<?xml version="1.0" encoding="UTF-8"?>
<bible translation="Chechen 2012 (Делан Йозанаш)" info="© Институт перевода Библии, 2012" link="https://www.bible.com/bible/1513/GEN.1.CHE">
	<testament name="Old">
		<book number="1">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">Юьхьанца Дала кхоьллира стигалшший, латтий.</verse>
				<verse number="2">Ткъа латта даьсса а, кегарин а дара, гобаьккхина кӀорга хи а, Ӏаьржа бода а бара, ткъа Делан Са хиш тӀехула лелаш дара.</verse>
				<verse number="3">Дала элира: «Хуьлийла серло». ТӀаккха серло хилира.</verse>
				<verse number="4">Дела хьаьжча, Цунна и серло дика хийтира. ТӀаккха Дала серло боданах къастийра.</verse>
				<verse number="5">Серлонах Дала «де» элира, ткъа боданах «буьйса» элира. Иштта суьйре а дӀаелира, Ӏуьйре а еара. ДӀаделира цхьа де.</verse>
				<verse number="6">Дала элира: «Хи юккъехула а доькъуш, дуькъа хӀаваъ хуьлийла».</verse>
				<verse number="7">Иштта хилла дӀахӀоьттира: Дала дуькъачу хӀавааца хи шина декъе дийкъира. Цхьа дакъа хӀаваана тӀехула хуьлуш, важа дакъа бухахь дуьсуш.</verse>
				<verse number="8">Цу дуькъачу хӀаваах Дала «стигал» элира. Суьйре а хилира, Ӏуьйре а тӀееара. ДӀаделира шолгӀа де а.</verse>
				<verse number="9">ТӀаккха элира Дала: «Стигалан бухахь долу хи дерриг цхьаьна а кхетийла, екъа меттиг а хуьлийла». Иза иштта хилира.</verse>
				<verse number="10">Екъачу меттигах Дала «латта» элира, ткъа цхьаьнакхеттачу хих «хӀорд» элира. И дерриге гича, Далла иза дика хийтира.</verse>
				<verse number="11">Цул тӀаьхьа Дала элира: «Лаьтта тӀехь йолийла сийналла а, буц а, ялта а, шайна чохь хӀу а долуш, стоьмаш ло дитташ а, шайна хӀора стоьма чохь хӀуш а долуш. Оцу хӀух юха а изза тайпа ораматаш а хуьлуш». Иштта хилла дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="12">Латто сийналла а елира, буц елира, ялта а кхиира, шайн-шайн тайпана хӀу а луш, уьш юха а йовлуш. Стоьмаш ло дитташ а хьаладевлира, шайна чохь хӀуш а долуш, царех кхин а цу тайпана дитташ а довлуш. Иза а, хьаьжча, Далла хазахийтира.</verse>
				<verse number="13">Юха а суьйре дӀаелира, Ӏуьйре а еара. Чекхделира кхозлагӀа де а.</verse>
				<verse number="14">Дала элира: «Хуьлийла стигалахь серлонаш! Лаьтта тӀе билгалонаш лойла цара, де буьйсанах а къастош, хенан заманаш а йоькъуш, денош а, шераш а доькъуш.</verse>
				<verse number="15">Лаьтта тӀе шайн серло а лойла цара». Иштта хилла дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="16">Цу тайпана кхоллаелла шиъ коьрта серло, царех йоккхачо дийнан, ткъа жимочо буьйсанан Ӏуналла а деш. Седарчий а кхолладелла стигалахь.</verse>
				<verse number="17">Уьш Дала дӀанисдина стигалахь, лаьтта тӀе шайн серло ялийта а,</verse>
				<verse number="18">дийнан а, буьйсанан а Ӏуналла дан а, серло боданах къасто а. Дела хьаьжча, Цунна и дерриге а хазахийтира.</verse>
				<verse number="19">Суьйре а еара, Ӏуьйре а тӀекхечира. ДоьалгӀа де а дӀаделира.</verse>
				<verse number="20">Юха Дала элира: «Хуьлийла хи чохь дуккха а, массо а тайпана садолу хӀуманаш. ХӀаваэхь тӀема довлийла дуккха а тайп-тайпана олхазарш а».</verse>
				<verse number="21">Иштта кхоьллира Дала Ӏаламат хӀордан дийнаташ а, массо а тайпана хи чохь йолу садолу хӀуманаш: яккхий а, кегий а. ХӀаваэхь тӀема девлира дуккха а массо а тайпана олхазарш. Дела, хьаьжча, Ша кхоьллинчунна реза хилира.</verse>
				<verse number="22">Цо, уьш декъалдеш, элира: «Дебийла шу, тӀаьхье беркате а хуьлуш, хӀордаш хих дузуш. Дуккха а олхазарш кхуьийла дуьнен чохь».</verse>
				<verse number="23">ТӀееара суьйре, хилира Ӏуьйре а. ДӀаделира пхоьалгӀа де а.</verse>
				<verse number="24">Юха Дала элира: «Хуьлийла лаьтта тӀехь массо а тайпана садолу хӀуманаш а, даьхни а, текхаргаш а, лаьттан акхарой а, шайн-шайн тайпанашца». Иштта хилла дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="25">Тайп-тайпана акхарой а, даьхни а, лаьттан текхаргаш а, ерриге тайпанашца кхоллаелира. Хьаьжча, Далла иза а хазахийтира.</verse>
				<verse number="26">ТӀаккха Дала элира: «Кхуллур Вай адам, Вешан аматехь а, вастехь а долуш. Хуьлийла уьш олалла деш дуьнен чу мел кхоьллинчу са долчу хӀуманашна тӀехь: хи чуьра а, лаьтта тӀера а дийнаташна тӀехь а, лаьттан текхаргаш тӀехь а, хӀаваэра олхазаршна тӀехь а, дерриге лаьтта тӀехь а».</verse>
				<verse number="27">Иштта кхоьллира Дала адам. Стаггий, зудий кхоьллира Цо Шен аматехь.</verse>
				<verse number="28">Уьш декъалбеш, Дала элира: «Дебийла шу, тӀаьхье стам а луш, дузийла аш латта, шайн дола доккхийла аша иза. Олалла дойла аш массо а хи чуьра чӀерашна тӀехь а, хӀаваэра олхазаршна тӀехь а, дерриге а лаьтта тӀера дийнаташна тӀехь а».</verse>
				<verse number="29">Юха а элира Дала: «Шуна ло Аса дерриге а лаьтта тӀера массо а хӀу тосу ораматаш а, массо тайпана стом ло дитташ а, шайна чохь оццу диттийн хӀу а долуш. Царех хир ю шуна юург.</verse>
				<verse number="30">Ткъа ерриге а садолчу хӀуманна а ло Аса массо а тайпана гӀа-буц. Ерриге а лаьтта тӀера акхарошна а, массо а стигалара олхазаршна а, хӀора лаьттан текхаргана а юург хир ю иза». И дерриге а хилла дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="31">Оцу Ша мел кхоьллинчуьнга Дела резахиларца хьаьжира. Иштта еара суьйре а, Ӏуьйре а хилира. ЯлхалгӀа де а дӀаделира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Иштта кхолладелла стигалш а, латта а, царна тӀехь мел йолу хӀума а.</verse>
				<verse number="2">ВорхӀалгӀа де тӀедале чекхдаьхна Дала дерриге а Ша мел дина гӀуллакхаш. Цу дийнахь, Ша мел динчу гӀуллакхех паргӀат а ваьлла, Дала садаьӀира.</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха и ворхӀалгӀа де Дала, декъалдеш, къобалдира. Цу дийнахь Шен массо а кхоллараллийн гӀуллакхаш кхочушдина дела, Дала садаьӀира.</verse>
				<verse number="4">ХӀара ду стигалшкахь а, лаьтта тӀехь а хилларг, Везачу Дала уьш кхуллучу хенахь.</verse>
				<verse number="5">Цу хенахь лаьтта тӀе яьлла яцара цхьа а аренан буц я колл, хӀунда аьлча Дала хӀинца а догӀа ца даийтинера лаьтта тӀе, адам а ца хиллера и латта лело.</verse>
				<verse number="6">Ткъа лаьтта тӀера Ӏаь хьалайолура, и дерриге а латта тӀада а деш.</verse>
				<verse number="7">ТӀаккха лаьттан поппарх адам кхоьллира Везачу Дала, цунна чу са а дуьллуш, ткъа и адам денделира.</verse>
				<verse number="8">ТӀаккха Везачу Дала, малхбалехь йолчу Ӏедан цӀе йолчу меттигехь беш а йийна, цига Ша кхоьллина стаг хаийра.</verse>
				<verse number="9">Цу лаьтта тӀехь Везачу Дала кхолладалийтира массо а тайпана дитташ, тӀехьаьжча хаза а, тамехь а долуш, царна тӀера стоьмаш даа пайден а долуш. Бешана юккъехь дара дахаран дитт а, дика а, вон а довзуьйту дитт а.</verse>
				<verse number="10">Цу бешахь хи тохархьама, Ӏедан-меттигера схьадолура хи, тӀаккха иза деа декъе декъалора.</verse>
				<verse number="11">Цхьаннан цӀе Пишон ю, иза ду дерриге а Хьавил-лаьттана тӀехдолуш. Оцу лаьттах деши а доллу.</verse>
				<verse number="12">(Цу лаьттара и деши дика а ду. Цигахь ю «бадолахь» олу сегӀазах тера а йолуш, хаза хьожа йогӀу хӀума а, «оникс» олу деза тӀулгаш а ду).</verse>
				<verse number="13">ШолгӀачу хин цӀе ю Гихьон, иза тӀехдолу дерриге а Хуша олучу лаьтта тӀехула.</verse>
				<verse number="14">КхоалгӀачу хин цӀе ю Хьиддекхал. Иза доьду Ашур-махка кхаччалц. ДоьалгӀа хи ду Эпрат.</verse>
				<verse number="15">ТӀаккха Везачу Дала адам Ӏедан беша даха хаийра, цуьнга и беш лела а йойтуш, Ӏалаш а йойтуш.</verse>
				<verse number="16">Ткъа цу стагана Везачу Дала тӀедиллира: «Массо а дитт тӀера стом баа мегар ду ахьа,</verse>
				<verse number="17">амма дика а, вон а довзуьйтучу дитта тӀера ма баалахь, хӀунда аьлча ахьа оцу тӀера стом биинчу дийнахь валарца дӀавер ву хьо», — аьлла.</verse>
				<verse number="18">ТӀаккха Везачу Дала элира: «Дика дац адам ша цхьаъ хилар, кхуллур Ас цунна гӀоьнча, цунах терра а йолуш, цуьнца а йогӀуш».</verse>
				<verse number="19">Массо а аренан акхарой а, даьхни а, дерриге а стигалара олхазарш а кхоьллинера Везачу Дала лаьттах. Цо уьш массо а адамна хьалха дӀахӀоттийра, цу стага царна хӀун цӀераш тохку хьожуш. ТӀаккха оцу са мел долчу хӀуманна адамо елла цӀераш йитира.</verse>
				<verse number="20">Иштта елира адамо цӀераш массо а даьхнина а, стигаларчу олхазаршна а, массо а акхарошна а, амма адамна ца нисъелира шеца йогӀуш йолу гӀоьнча.</verse>
				<verse number="21">ТӀаккха Везачу Дала чӀогӀа наб кхетийтира стагана. Цунна наб кхетта яьлча, цуьнан цхьа пӀенда схьа а баьккхина, и меттиг дилхаца дӀакъевлира.</verse>
				<verse number="22">Цул тӀаьхьа Ша оцу адамна чуьра баьккхинчу пӀендарх Везачу Дала зуда йира, иза цу стагана яла а еш.</verse>
				<verse number="23">Адамо элира: «ХӀара даьӀахк сан даьӀахкех ю, дилха а сан дилханах ду, кхуьнан цӀе а адам хир ю, иза майрачух яьккхина дела».</verse>
				<verse number="24">Цундела стаг, шен дай-наний а дитина, шен зудчух кхетар ву. ТӀаккха цу шиннах цхьа дегӀ хир ду.</verse>
				<verse number="25">И шиъ дерзина доллушехь, адам а, цуьнан зуда а вовшех ийза а ца лора.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">Везачу Дала кхоьллинчу акхарошна юкъахь уггаре а хӀилла долуш лаьхьа бара. Цо оцу зудчуьнга элира: «Бакъ дуй и, хӀокху бешара цхьанна а дитта тӀера Дала шуьга стом ма баа аьлла бохург?»</verse>
				<verse number="2">Зудчо жоп делира лаьхьане: «Дитташ тӀера стоьмаш даа мега тхуна,</verse>
				<verse number="3">амма ялсамане юккъехь цхьа дитт ду, цу тӀера стом а ма баа, хьакха а ма ло цу диттах аьлла Дала тхоьга, тхо дала ца далийтархьама».</verse>
				<verse number="4">ТӀаккха лаьхьано зудчуьнга элира: «ХӀан-хӀа, лийр дац шу,</verse>
				<verse number="5">амма Далла хаьа, аша оцу дитта тӀера стом биинчу дийнахь дуьйна шун бӀаьргаш дӀабеллалур буй, дика-вон а девзаш, шу Цуьнга дӀатарлур дуй!»</verse>
				<verse number="6">Зудчунна и дитт хаза хилар а, цунна тӀера стоьмаш даа тамехь хилар а гира. Уггаре а хазделира цунна цу дитто кхетам алсам болуьйтург хилар. Зудчо дитта тӀера стоьмаш а баьхна, ша а биира, шена юххехь волчу майрачуьнга а белира. Вукхо а уьш биира.</verse>
				<verse number="7">ТӀаккха дӀаделладелира церан шинне а бӀаьргаш. Шаьшшиъ дерзина дуй хиъна, инжиран диттан даккхий гӀаш а даьхна, уьш вовшах а тегна, цаьрца дӀахьулдира цара шайн догӀмаш.</verse>
				<verse number="8">Дийнан йовхо лагӀъеллачу хенахь бешахь лелаш волчу Везачу Делан аз а хезна, адам а, цуьнан зуда а бешан дитташна юккъехь къайладелира Цунах.</verse>
				<verse number="9">Ткъа Веза Дела кхайкхира адаме: «Хьо мичахь ву?» — аьлла.</verse>
				<verse number="10">Стага жоп делира: «Цу бешахь Хьан аз а хезна, Хьох кхера а велла, со верзина волу дела, дӀалечкъира со».</verse>
				<verse number="11">Везачу Дала хаьттира: «Хьо верзина ву хьан аьлла хьоьга? Аса баа мегар дац аьллачу дитта тӀера стом бииний-те ахьа?» — аьлла.</verse>
				<verse number="12">Адамо жоп делира: «Ахьа суна еллачу зудчо цу дитта тӀера даьхна стоьмаш делира соьга, ткъа аса уьш диира», — аьлла.</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха Везачу Дала зудчуьнга элира: «И хӀун ду ахь динарг?» Зудчо жоп делира Цуьнга: «Лаьхьано, хӀилла а дина, Ӏехийра со, ткъа аса и стоьмаш диира», — аьлла.</verse>
				<verse number="14">ТӀаккха Везачу Дала лаьхьане элира: «И вон ахь дарна, хьуна а хир ду вон. НеӀалт кхайкхадо хьуна массо а даьхнина а, ерриге а аренан акхарошна а хьалха. ХӀинца дуьйна хьо баллалц текхар бу хьо гай тӀехь, чан а юуш.</verse>
				<verse number="15">ХӀинца дуьйна, хьуна а, зудчунна а юкъахь а, хьан тӀаьхьенна а, цуьнан тӀаьхьенна а юкъахь а мостагӀалла хир ду. Зудчун тӀаьхьено хьан коьртах чов йийр ю, ткъа ахьа цуьнан когах чов йийр ю».</verse>
				<verse number="16">Ткъа зудчуьнга Везачу Дала элира: «Хьо доьзалхочух йолуш лазарш чӀагӀдийр ду хьан, лазаршца доьзалхо а хир ву хьан. ТӀаккха майрачуьнга сатуьйсуш хир ю хьо, ткъа иза хьуна тӀехь олалла деш хир ву».</verse>
				<verse number="17">Адаме Везачу Дала элира: «Аса аьллачуьнга ла а ца дугӀуш, хьайн зудчо бохург а дина, ма баа аьлла стом ахьа баарна, хьо бахьанехь неӀалт кхайкхадо Ас кху лаьттана а. Хьо валлалц халонца а, къинхьегамца а лохур ду ахьа хьайна напха.</verse>
				<verse number="18">КӀохцалш а, яраш а евр ю цу лаьтта тӀе, аренан ораматех хир ю хьуна юург.</verse>
				<verse number="19">Хьацарлахь доккхур ду ахьа хьайн бепиг, юха а, хьо схьаваьллачу лаьтта чу хьо верззалц. Ас хьо лаьттан ченах вина волу дела, юха а чан хир ю хьох».</verse>
				<verse number="20">ТӀаккха Адама шен зудчунна «Дахар луш ерг» (Ӏебархойн маттахь: Хьава), аьлла цӀе тиллира, хӀунда аьлча иза лаьттахь мел дехачу адамийн нана хир йолу дела.</verse>
				<verse number="21">ТӀаккха Везачу Дала Адамна а, цуьнан зудчунна а неӀаран духар дира, иза царна тӀе а духуш.</verse>
				<verse number="22">Везачу Дала элира: «ХӀинца адам а Вайх цхьаъ хили, дика а, вон а девзаш. ХӀинца, шайн куьйгаш а кховдийна, дахаран дитта тӀера стом а баьккхина, иза биина, хедар доцучу дахаре ма кхочийла уьш».</verse>
				<verse number="23">Цул тӀаьхьа Адам Ӏедан-бешара дӀаэккхийра Везачу Дала, цуьнга ша схьаваьлла волу латта леладайтархьама.</verse>
				<verse number="24">Иза дӀа а эккхийна, Ӏедан-бешана малхбалехьа агӀор, чу волучохь, Везачу Дала дӀахӀоттийра дахаран диттана Ӏуналлина каруб-маликаш. Оцу диттана тӀе ца гӀортийта, цӀе санна къеггина догуш а, меттахъхьеш а долу тур а хӀоттийра.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">Адам шен зудчух Хьавах кхийтира. Цо, доьзалхочух а хилла, кӀант вира. Хьавас элира: «Везачу Элан гӀоьнца бер дина ас». Цундела берах цо «Кхаим» элира (Ӏебархойн маттахь иза «дийриг» бохург ду).</verse>
				<verse number="2">Цул тӀаьхьа Кхаиман ваша Хьабул вира Хьавас. Хьабулах жаӀу хилира, ткъа Кхаимах — латталелорхо.</verse>
				<verse number="3">Цхьа хан яьлча, Кхаима шена лаьтто деллачу ялтанах дакъа Везачу Элана хьалха деара.</verse>
				<verse number="4">Ткъа Хьабула шен жена юкъара уггар тоьлла долу дуьххьарлера Ӏахарий деара. Веза Эла резахиларца хьаьжира Хьабуле а, цо деанчуьнга а.</verse>
				<verse number="5">Ткъа Кхаиме а, цо деанчуьнга а реза воцуш хьаьжира Веза Эла. ЧӀогӀа оьгӀазвахана, хьаьжа юккъе шад хӀоттийра Кхаима.</verse>
				<verse number="6">ТӀаккха Везачу Эло элира Кхаиме: «Хьо ма оллавелла ву? Хьо ма оьгӀазе ву!</verse>
				<verse number="7">Ахь диканиг деш хилча, ларамца тӀеоьцу хьо. Ахь диканиг деш ца хилча, хьан неӀарехь къа лаьтта. И хьо Ӏехо гӀерташ ду, хьо цул тола веза».</verse>
				<verse number="8">ТӀаккха, цхьана дийнахь, Кхаима Хьабуле элира: «Аренга гӀой вайшиъ?» Уьш аренга баьхкича, Кхаима, шен вешина Хьабулина чу а гӀоьртина, иза вийра.</verse>
				<verse number="9">ТӀаккха Везачу Эло Кхаиме хаьттира: «Мичахь ву хьан ваша Хьабул?» Кхаима элира: «Суна хӀун хаьа? Со гӀарол-м вац сан вешина?!»</verse>
				<verse number="10">ТӀаккха Везачу Эло элира: «Ахь хӀун дина? Хьан вешин цӀийн аз кхойкхуш хеза Суна лаьттара.</verse>
				<verse number="11">ХӀинцачул тӀаьхьа неӀалт кхайкхадо Ас хьуна, хьан карах валар хилла хьан вешин цӀий дӀаоьцучу лаьтта тӀехь.</verse>
				<verse number="12">Ахь латта лелош, цо кхин лур дац, хӀинццалц санна, рицкъа. Ткъа кху лаьттахь, меттиг ца карош, лелар ву хьо».</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха Кхаима элира Везачу Эле: «И таӀзар лан ницкъ кхочур бац сан.</verse>
				<verse number="14">Ахьа хӀинца со кху лаьттара а, Хьайн юьхь-дуьхьалара а эккхаварна, со волавелла лела везар ву. Суна дуьхьал мел кхетар волчун со вен таро хир ю».</verse>
				<verse number="15">Везачу Эло элира Кхаиме: «Нагахь санна хьо цхьаммо вехь, цунна ворхӀазза бекхам бийр бу Ас». ТӀаккха Везачу Эло Кхаимна тӀехь тамашийна билгало йира, и билгало хилар бахьана долуш, иза дуьхьал кхетча, цхьаьнгге а ца вейтархьама.</verse>
				<verse number="16">Иштта Кхаим, Везачу Элана хьалхара дӀа а ваьлла, Ӏедан-бешана малхбалехьарчу, Нада цӀе йолчу меттиге ваха охьахиира.</verse>
				<verse number="17">Кхаим шен зудчух а кхетта, церан кӀант хилира. Цунна ХӀанох аьлла цӀе тиллира. Цигахь Кхаима, гӀала а хӀоттийна, шен кӀентан цӀарах ХӀанох элира цунах.</verse>
				<verse number="18">ХӀанохан хилира кӀант Ӏийрад, ткъа Ӏийрадан хилира Махьуяал. Махьуяалан хилира кӀант Матушаал, Матушаалан а хилира кӀант ЛемакӀ.</verse>
				<verse number="19">ЛемакӀа ши зуда ялийра: цхьаннан цӀе Ӏада яра, вукхуьнан — Цилла.</verse>
				<verse number="20">Ӏадас вира кӀант Явал. Четарш чохь Ӏаш а, даьхни лелош а болчеран да хилира цунах.</verse>
				<verse number="21">Ӏадин кхин а цхьа кӀант хилира Ювал, Явалан ваша. Цунах массо зурма а, дечиг-пондар а локхучеран да хилира.</verse>
				<verse number="22">Циллас а вира кӀант, Тубал-Кхаим. Цунах массо тайпана йоьзах а, эчигах а герз деш болчу пхьерийн да хилира. Тубал-Кхаиман йиша яра НаӀмат.</verse>
				<verse number="23">Шен зударшка ЛемакӀа элира: «Ӏада а, Цилла а! ЛемакӀан зударий! ЛадогӀа соьга леррина! Тидам бе сан дешнийн. Сайна чов йича, стаг вийна ас. Цу къонахчо сайна тоьхча, иза вийна ас.</verse>
				<verse number="24">Кхаим вийначунна ворхӀазза бекхам хуьлуш хилча, со вийначунна кхузткъе вуьрхӀиттазза а бекхам хир бара».</verse>
				<verse number="25">Адам шен зудчух Хьавах а кхетта, церан кхин а цхьа кӀант хилира. Цунна ШатӀа аьлла цӀе тиллира (иза Ӏебархойн маттахь «схьавелларг» бохург ду). «Дала кхин цхьа кӀант схьавелла суна. Кхаима Хьабул вийра, ткъа хӀинца сан ШатӀа а ву», — элира Хьавас.</verse>
				<verse number="26">ШатӀин а хилира кӀант, цо цунах Энош элира. Цу хенахь адамаш Везачу Элан цӀе йоккхуш, Цуьнга кхайкха буьйлабелира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">ХӀара ду Адаман тӀаьхьенах хиллачун тептар. Дала адам Шен вастехь кхоьллинера.</verse>
				<verse number="2">Стаггий, зудий кхоьллинера Цо. Уьш декъал а бина, Ша уьш кхоьллинчу дийнахь царех «адамаш» элира Дала.</verse>
				<verse number="3">Адаман цхьа бӀе ткъе итт шо кхаьчнера, цуьнан кхин а цхьа кӀант хилча. Иза веккъа цуьнан аматехь а, вастехь а вара. Шен кӀантана ШатӀа аьлла цӀе тиллира Адама.</verse>
				<verse number="4">ШатӀа хиллачул тӀаьхьа кхин бархӀ бӀе шарахь вехира Адам. Оцу заман чохь цуьнан кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира.</verse>
				<verse number="5">Адам, исс бӀе ткъе итт шарахь ваьхна, дӀакхелхира.</verse>
				<verse number="6">ШатӀа цхьа бӀе пхеа шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант Энош.</verse>
				<verse number="7">Энош хиллачул тӀаьхьа кхин бархӀ бӀе ворхӀ шарахь вехира ШатӀа. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира.</verse>
				<verse number="8">ШатӀа, исс бӀе шийтта шарахь а ваьхна, дӀакхелхира.</verse>
				<verse number="9">Энош дезткъе итт шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант Къаим.</verse>
				<verse number="10">Къаим хиллачул тӀаьхьа кхин бархӀ бӀе пхийтта шарахь вехира Энош. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира.</verse>
				<verse number="11">Энош, исс бӀе пхеа шарахь а ваьхна, дӀакхелхира.</verse>
				<verse number="12">Къаим кхузткъе итт шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант Махьаллал.</verse>
				<verse number="13">Махьаллал хиллачул тӀаьхьа кхин бархӀ бӀе шовзткъа шарахь вехира Къаим. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира.</verse>
				<verse number="14">Къаим, исс бӀе итт шарахь а ваьхна, дӀакхелхира.</verse>
				<verse number="15">Махьаллал кхузткъе пхеа шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант Ярад.</verse>
				<verse number="16">Ярад хиллачул тӀаьхьа кхин бархӀ бӀе ткъе итт шарахь вехира Махьаллал. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира.</verse>
				<verse number="17">Махьаллал, бархӀ бӀе дезткъе пхийтта шарахь а ваьхна, дӀакхелхира.</verse>
				<verse number="18">Ярад цхьа бӀе кхузткъе шина шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант ХӀанох.</verse>
				<verse number="19">ХӀанох хиллачул тӀаьхьа кхин бархӀ бӀе шарахь вехира Ярад. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира.</verse>
				<verse number="20">Ярад, исс бӀе кхузткъе шина шарахь а ваьхна, дӀакхелхира.</verse>
				<verse number="21">ХӀанох кхузткъе пхеа шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант Матушалахь.</verse>
				<verse number="22">Матушалахь хиллачул тӀаьхьа кхин кхаа бӀе шарахь, Дела даг чохь а волуш, вехира ХӀанох. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира.</verse>
				<verse number="23">ХӀанох кхаа бӀе кхузткъе пхеа шарахь вехира.</verse>
				<verse number="24">ХӀанох, Дела даг чохь а волуш, лелаш вара. Цхьана дийнахь иза къайлавелира, Дала иза дӀавигна дела.</verse>
				<verse number="25">Матушалахь цхьа бӀе дезткъе ворхӀ шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант ЛемакӀ.</verse>
				<verse number="26">ЛемакӀ хиллачул тӀаьхьа кхин ворхӀ бӀе дезткъе шина шарахь вехира Матушалахь. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира.</verse>
				<verse number="27">Матушалахь, исс бӀе кхузткъе исс шарахь а ваьхна, дӀакхелхира.</verse>
				<verse number="28">ЛемакӀ цхьа бӀе дезткъе шина шарахь ваьхча, цуьнан кӀант хилира.</verse>
				<verse number="29">ЛемакӀа шен кӀантана Нохьа аьлла цӀе тиллира (иза ду Ӏебархойн маттахь «синтем» бохург). ЛемакӀа элира: «Вай дукха къахьоьгуш ду, Везачу Эло неӀалт кхайкхийначу лаьтта тӀехь. Ткъа Нохьас синтем бохьур бу вайна».</verse>
				<verse number="30">Нохьа хиллачул тӀаьхьа кхин пхи бӀе дезткъе пхийтта шарахь вехира ЛемакӀ. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира.</verse>
				<verse number="31">ЛемакӀ, ворхӀ бӀе кхузткъе вуьрхӀитта шарахь а ваьхна, дӀакхелхира.</verse>
				<verse number="32">Нохьа пхеа бӀе шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀентий Шима, Хьама, Япат.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="6">
				<verse number="1">Лаьтта тӀера адамаш алсамдовлуш хилла. Церан хуьлуш хилла йоӀарий а.</verse>
				<verse number="2">Делах дӀакъаьстина болчу божаршна и адамийн йоӀарий хаза хилар гора. Царех шаьш къастийнарш ялош хилла цара.</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха Везачу Эло элира: «Могуьйтур дац Аса адамашна гуттар а Сан са даа, уьш дилха бен доцу дела. Церан дахаран шераш бӀе ткъа шо бен хир дац».</verse>
				<verse number="4">Цу хенахь а, цул тӀаьхьа а наьрташ хилла Лаьтта тӀехь. Делах дӀакъаьстина болу божарий адамийн йоӀарех кхетий, оцу зударша бераш дан долийна. Уьш дара майра а, ницкъ болуш а, дикка хенахь дуьйна гӀарадевлла а адамаш.</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха лаьттара адамаш чӀогӀа галдевлла хилар а, церан ойланаш а, дегнаш а, массо а ханна а зуламах дуьзна хилар а гира Везачу Элана.</verse>
				<verse number="6">Веза Эла дохковелира Ша лаьтта тӀехь адамаш кхолларна. Цуьнан дог лозуш дара.</verse>
				<verse number="7">ТӀаккха Везачу Эло элира: «Со дохковаьлла, Айса Лаьттахь адам кхолларна а, массо дийна мел йолу хӀума кхолларна а: Лаьттара дийнаташ а, текхаргаш а, хӀаваэра олхазарш а, — и дерриге а хӀаллакдийр ду Ас».</verse>
				<verse number="8">Цхьана Нохьина резахилла Веза Эла.</verse>
				<verse number="9">ХӀара ду Нохьин тӀаьхьенах хилларг. Нохьа хилла шен тайпанехь лела хууш а, Далла гергахь бакъахьара а, цӀена а стаг. Иза Дела даг чохь волуш лелаш вара.</verse>
				<verse number="10">Кхо кӀант хилла Нохьин: Шима, Хьама, Япат цӀераш йолуш.</verse>
				<verse number="11">Ткъа Лаьттара адамаш Далла гергахь чӀогӀа бехделлера, латта зуламех дуьзнера.</verse>
				<verse number="12">Дела Лаьтта охьахьаьжча, Цунна гира латта бехделла хилар, хӀора Лаьттара стаг нийсачу новкъара дӀаваьлла дела.</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха Дала Нохье элира: «Адамаша латта зуламех а, таӀзарех а дуьзна, иза бехдина хӀаллакдо дела, Ас, хӀаллак а дина, дӀадоккхур ду и латта а, цу тӀехь мел йолу садолу хӀума а.</verse>
				<verse number="14">Ткъа ахьа, хьайна зоьзан-дечигах доккха хинкема а де, цу чохь къаьстина чоьнаш а е, тӀаккха кемана чухула а, тӀехула а силам а хьакха.</verse>
				<verse number="15">Ткъа кема иштта де: кеманан йохалла кхо бӀе дол барамехь, цуьнан шоралла шовзткъе итт дол, ткъа лакхалла ткъе итт дол хила еза.</verse>
				<verse number="16">Кеманан тховх кор а даккха цхьа дол барамехь, ткъа агӀо тӀехь неӀ а яккха. Цу кеман чохь тӀех-тӀехула а долуш кхо дакъа де.</verse>
				<verse number="17">Ткъа Аса хи доуьйтур ду лаьтта тӀе, стигалш бухара чохь са мел долу хӀума а хӀаллакьярхьама. Лаьтта тӀехь мел долу хӀума хӀаллакьхир ду.</verse>
				<verse number="18">Ткъа хьоьца Аса Сайн барт бийр бу. Хьо а, хьан кӀентий а, хьан зуда а, хьан кӀентийн зударий а хьоьца цу хинкеманна чу бевр бу.</verse>
				<verse number="19">Иштта кеманна чу даккха массо а тайпана дийнатех боьрша а, стен а шишша хӀума. Уьш а шуьца дийна йисийтархьама.</verse>
				<verse number="20">Ша-ша тайпана олхазарех а, тайп-тайпана даьхнех а, шайн тайпанашца массо а лаьттан текхаргех а, царех массарех а шишша, боьрша а, стен а, чуевр ю хьоьца, дийна йисархьама.</verse>
				<verse number="21">Ткъа ахьа, массо тайпана даар схьа а эций, кеман чу дилла, хьуна а, царна а юучунна».</verse>
				<verse number="22">Нохьас и дерриге, шега Далла ма-бохху, кхочушдира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="7">
				<verse number="1">ТӀаккха Везачу Эло Нохье элира: «Хьо хьайн доьзалца хинкеманна чу вала, хӀунда аьлча цу заманан адамашна юкъахь хьо цхьаъ Сайн лаамехь волу стаг хилар го Суна.</verse>
				<verse number="2">Хьайца схьаэца хӀора тайпанах ворхӀ боьрша а, ворхӀ стен а хьанал даьхнех, лаьттара хьарам долчу хӀора тайпана дийнатех шишша схьаэца (боьрша а, стен а).</verse>
				<verse number="3">ХӀора тайпана олхазарех а схьаэца ворхӀ боьрша а, ворхӀ стен а, церан тӀаьхье хилийтархьама дерриге а лаьтта тӀехь.</verse>
				<verse number="4">Ткъа ворхӀ де даьлча, шовзткъа дийнаххьий, шовзткъа бусий догӀа доуьйтур ду Ас дерриге лаьтта тӀе, Айса мел кхоьллинарг лаьтта тӀера хӀаллак а деш».</verse>
				<verse number="5">Нохьас Везачу Эло шега мел аьлларг кхочушдира.</verse>
				<verse number="6">Хи тӀедалар лаьттахь хиллачу хенахь, Нохьин ялх бӀе шо дара.</verse>
				<verse number="7">Нохьа шен доьзалца хинкеман чу велира, оцу лаьтта тӀе хи тӀедаларх кӀелхьарвалархьама. Цуьнца кеман чохь яра цуьнан зуда а, кӀентий а, церан зударий а.</verse>
				<verse number="8">Цуьнца цхьаьна кеман чу девлира хьанал даьхни а, хьарам дийнаташ а, массо а тайпана олхазарш а, ерриге тайпа лаьттан текхаргаш а. Уьш евлира кеман чу шишша тайпана</verse>
				<verse number="9">(боьрша а, стен а). Шена Дала тӀе-ма-диллара, Нохьас дерриге а кхочушдира.</verse>
				<verse number="10">ВорхӀ де даьлча, лаьтта тӀе хиш деара.</verse>
				<verse number="11">Нохьин ялх бӀе шо а кхаьчна, шолгӀачу беттан вуьрхӀитталгӀачу дийнахь дӀаделладелла массо а лаьтта бухара хиш. Оццу дийнахь, стигалш дӀасаекъа а елла, лаьтта тӀе доккха догӀа деара.</verse>
				<verse number="12">(И догӀа деара шовзткъа дийнаххьий, шовзткъа бусий).</verse>
				<verse number="13">Ткъа Нохьа а шен зудчуьнца, Шима а, Хьама а, Япат а шайн зударшца хинкеман чубевлла бевллера.</verse>
				<verse number="14">Цаьрца хинкеманна чу евлира массо а тайпана акхарой а, даьхни а шайн-шайн тайпанашца, лаьттан тайп-тайпана текхаргаш а, массо а тайпана тӀема мел йолу хӀума а, ша-ша тайпа олхазарш а.</verse>
				<verse number="15">И массо а шайна чохь са долуш йолу хӀуманаш, шишша массо а тайпанах, чуяьллера Нохьица хинкеман чу.</verse>
				<verse number="16">Дала тӀе-ма-диллара, массо а тайпана боьрша а, стен а чохь са долуш йолу хӀуманаш кеманна чу яьлча, Нохьина тӀаьхьа хинкеманан неӀ дӀачӀегӀира Везачу Эло.</verse>
				<verse number="17">Лаьтта хи тӀедалар шовзткъа дийнахь лаьттира. Хи алссам а даьлла, хинкема хи чохь айа а делла, лаьттах къаьстира.</verse>
				<verse number="18">Хи, кхин а чӀагӀлуш, дебара лаьтта тӀехь, ткъа кема хин тӀехула лелара.</verse>
				<verse number="19">Хи гулдалар лаьтта тӀехь тӀех а даьлла, стигалан бухахь мел долу лаьмнаш дӀахьулделира хи чохь.</verse>
				<verse number="20">Лаьмнаш хьулделлачул тӀаьхьа кхин а пхийтта даларна хьаладелира хи.</verse>
				<verse number="21">Лаьтта тӀехь лелаш мел йолу садолу хӀума а, олхазарш а, даьхни а, акхарой а, массо а боьха хӀуманаш а, лаьттахула текхаш йолу, дерриге а адамаш а дӀакхелхира.</verse>
				<verse number="22">Дерриге а лаьтта тӀехь хилла йолу мерӀуьргашкахула садоӀуш мел йолу хӀума елира.</verse>
				<verse number="23">Лаьттахь хӀора садоӀуш мел йолу хӀума хӀаллакьхилира. ХӀаллакьхилла дӀадевлира адамаш а, даьхни а, текхаргаш а, стигалан олхазарш а. Иштта хӀаллакдира Дала лаьттахь мел хилла хӀума а. Нохьа а, цуьнца хинкеман чохь берш а бен дийна ца бисира.</verse>
				<verse number="24">Ткъа хи чӀагӀлуш лаьттира лаьттахь цхьа бӀе шовзткъе итт дийнахь.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="8">
				<verse number="1">Нохьа а, Нохьица хинкеман чохь йолу ерриге акхарой а, дерриге а даьхни а Шена дагахь долу дела, лаьтта тӀе мох бахийтира Дала. ТӀаккха хиш лагӀделира.</verse>
				<verse number="2">Гобаьккхина долу лаьтта бухара хьаладуьйлу хиш совцийнера, стигалш дӀа а къовлаелла, догӀучуьра догӀа а сацийнера.</verse>
				<verse number="3">Цхьа бӀе шовзткъе итт де даьлча, лаьтта тӀера хи, тӀаьхь-тӀаьхьа шен метта а доьрзуш, лагӀлуш дара.</verse>
				<verse number="4">ВорхӀалгӀачу беттан вуьрхӀитталгӀачу дийнахь хинкема Арарат-лаьмнашкахь сецира.</verse>
				<verse number="5">Хи тӀедаларан уьтталгӀа бутт болуш хи лагӀлуш лаьтташ дара, ткъа уьтталгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь лаьмнийн баххьаш гучудевлира.</verse>
				<verse number="6">Шовзткъа де даьлча, Нохьас дӀадиллира ша дина хинкеманан кор.</verse>
				<verse number="7">ТӀаккха къиг арахийцира цо, иза тӀема а йолуш, юха а йогӀуш лийлира, латта хих дакъадаллалц.</verse>
				<verse number="8">Цул тӀаьхьа кхокха ара хийцира цо, лаьтта тӀера хиш лагӀделла даьллий-те хаархьама.</verse>
				<verse number="9">Амма кхокханна ца карийра шен когаш тӀебилла екъа меттиг, иза юха беара хинкеман чу, хӀунда аьлча хи хӀинца а долуш дара дерриге а лаьтта тӀехь. Нохьас шен куьг а кховдийна, кхокха схьаийцира хинкеман чу.</verse>
				<verse number="10">Кхин а ворхӀ дийнахь собар а дина, Нохьас юха а арахийцира кхокха кеман чуьра.</verse>
				<verse number="11">Суьйренца кхокха юхабирзира, шен зӀакар чохь керла зайт-диттан гӀа а дахьаш. ТӀаккха Нохьина хиира хи лаьтта тӀера дӀадаьллий.</verse>
				<verse number="12">Кхин а ворхӀ дийнахь хьем а бина, юха а кхокха арахийцира Нохьас, цул тӀаьхьа кхокха юха ца бирзира.</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха хинкеманан неӀ дӀайиллира Нохьас. ДӀасахьаьжча, латта декъа хилар гира цунна. Иза дара хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь. Нохьин ялх бӀе цхьалгӀа шо дара цу хенахь.</verse>
				<verse number="14">ШолгӀачу беттан ткъе ворхӀалгӀачу дийнахь дерриге а латта дакъаделлера.</verse>
				<verse number="15">ТӀаккха Дала Нохье элира:</verse>
				<verse number="16">«Арадовла хинкеман чуьра хьо а, хьан зуда а, хьан кӀентий а, церан зударий а хьоьца.</verse>
				<verse number="17">Массо а дийнаташ арадаха хьайца, массо а тайпана: олхазарш а, даьхни а, ерриге а лаьттан текхаргаш а. ДӀасадовлийла уьш лаьтта тӀехула. Лаьтта тӀехь дебийла уьш, тӀаьхье а луш».</verse>
				<verse number="18">Нохьа а, цуьнан кӀентий а, цуьнан зуда а, кӀентийн зударий а арабевлира хинкеман чуьра.</verse>
				<verse number="19">Царна тӀаьххье ерриге а акхарой а, массо а боьха хӀуманаш а, дерриге олхазарш а, лаьттахула мел лела са долуш йолу хӀума а араелира цу чуьра.</verse>
				<verse number="20">ТӀаккха Везачу Элана лерина сагӀа доккхучу метте тӀулгаш хӀиттийра Нохьас. Шеца долчу даьхнин юкъара а, олхазаршна юкъара а тоьлла а, хьанал а дерш, цхьацца къаста а дина, Далла хьалха уьш дагийра цо.</verse>
				<verse number="21">И тамехь йолу хаза хьожа дӀакхечира Далла. ТӀаккха Шен дагахь Везачу Эло элира: «Адамаш жимчохь дуьйна зуламах дуьзна делахь а, кхин цкъа а неӀалт кхайкхор дац Аса лаьттана адам бахьанехь. Кхин цкъа а хӀаллакйийр яц Ас лаьттара са мел долу хӀума.</verse>
				<verse number="22">ХӀинца дуьйна, латта мел ду, цу тӀехь ялта дӀадер а, хьакхар а, шело а, йовхо а, аьхке а, Ӏа а, де а, буьйса а хийцадалар соцур дац».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="9">
				<verse number="1">ТӀаккха Нохьа а, цуьнан кӀентий а декъалбеш, Дала элира цаьрга: «ТӀаьхье стам а луш, деба а дебаш, латта дузийла аш.</verse>
				<verse number="2">Шух кхера а кхоьруш, шуна хьалха ега а еш, хуьлийла лаьтта тӀехь мел йолу акхарой а, стигалахь мел долу олхазарш а, кху лаьттахь лелаш мел йолу текхаргаш а, хӀорда чохь мел долу чӀерий а. Шун кара дӀаделла Ас и дерриге а.</verse>
				<verse number="3">Массо а ораматаш еллера Ас шуна, ткъа хӀинца дерриге а дийнаташ хир ду шуна юучунна. Лаьттара са мел долу хӀума а дӀало Ас шуна юучунна.</verse>
				<verse number="4">Амма цхьа хӀума тӀедуьллу ас шуна: шена чохь са долу, шех цӀий дӀадалаза долу жижиг ма даалаш.</verse>
				<verse number="5">Адаман цӀий Ӏанорна Соьга жоп дала деза, цу цӀийна чохь са долу дела. ХӀора стага а жоп дала деза ша адаман Ӏанийначу цӀийнах, муьлххачу акхароша а жоп дала деза, шаьш адаман цӀий Ӏанийча.</verse>
				<verse number="6">Цхьана стага адаман цӀий Ӏанийнехь, цуьнан цӀий а Ӏанор ду, цу стага Делан вастехь кхоьллинчуьнан цӀий Ӏанийна дела.</verse>
				<verse number="7">Ткъа шу деба а деба, шайн тӀаьхье стам а е, дӀаса а даржа лаьтта тӀехь, алссам а довла цу тӀехь».</verse>
				<verse number="8">Дала элира Нохье а, цуьнан кӀенташка а:</verse>
				<verse number="9">«Ткъа Ас барт бо шуьца а, ерриге а шул тӀаьхьа хир йолчу шун тӀаьхьенца а,</verse>
				<verse number="10">массо олхазаршца а, мел долчу дийнаташца а, массо а акхарошца, шуьца хинкеман чуьра араяьллачу, лаьттара са мел долчу хӀуманца а.</verse>
				<verse number="11">Иштта барт бо Ас шуьца: лаьттара йисина дийна мел йолу хӀума хица хӀаллакйина яра, амма ишттаниг кхин цкъа а юха хир дац аьлла. Кхин цкъа а латта хи тӀедаларца хӀаллакдийр дац».</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха Дала элира: «Шуьца бинчу бертан тоьшалла дуьту Ас. Оцу тоьшалло чӀагӀдийр ду Ас шуьца а, дийна мел йолчу хӀуманца а, тӀейогӀучу массо а ханна, барт бар. ХӀара ду и тоьшалла:</verse>
				<verse number="13">стелаӀад хӀоттадо Ас стигалан мархашкахь. И ду тоьшаллина Суна а, Лаьттана а юкъахь бинчу бертан.</verse>
				<verse number="14">Ас лаьттана тӀехула гулйина мархашна юкъахь стелаӀад гучудаьлча,</verse>
				<verse number="15">Суна дагабогӀур бу Ас шуьца а, лаьттахь дийна мел йолчу хӀуманца а бина барт, кхин цкъа а массо а дийна хӀума хи тӀедаларца хӀаллакйийр яц аьлла.</verse>
				<verse number="16">Стигалан мархашка а хьаьжна, стелаӀад гича, дагабогӀур бу Суна Сайна а, лаьттара дийна мел йолчу хӀуманна а юкъара цкъа а хедар боцу барт».</verse>
				<verse number="17">Иштта элира Дала Нохье: «И стелаӀад лаьттахь дийна мел йолчу хӀуманна а, Сайна а юкъахь бинчу бертан тоьшаллина хир ду».</verse>
				<verse number="18">Хин кеман чуьра арабевллачу Нохьин кӀентийн цӀераш иштта яра: Шима, Хьама, Япат. Ткъа Хьама КанаӀанан да вара.</verse>
				<verse number="19">И кхоъ Нохьин кӀант вара, ткъа царех хилла лаьттара адамийн тӀаьхье.</verse>
				<verse number="20">Нохьас латта лело а долийра, кемсийн аре а дӀайийра.</verse>
				<verse number="21">Кемсийн чагӀар а мелла, ваха а вехна, верзина а ваьлла, шен четар чохь, тӀе хӀума а тасаза, вижина Ӏуьллуш вара Нохьа.</verse>
				<verse number="22">КанаӀанан дена Хьамина гира шен ден верзина ваьлла хилар, тӀаккха цо ара а ваьлла, цунах лаьцна шен шина веше дийцира.</verse>
				<verse number="23">Ткъа Шима а, Япат а, шайн ден бедар схьа а эцна, шаьшшиннан белшаш тӀе а йиллина, тӀехьа а вирзина, кӀегара шайн дена тӀе вахара. И бедар цунна тӀе а тесна, Нохьин верзина хилар дӀакъевлира цара. Уьш тӀехьа бирзина болу дела, царна шайн ден верзина хилар ца гира.</verse>
				<verse number="24">Ша меллачу чагӀарх васта а велла, самаваьлча, Нохьина хиира, шена тӀехь жимаха волчу кӀанта Хьамас динарг.</verse>
				<verse number="25">ТӀаккха Нохьас элира: «НеӀалт хуьлда КанаӀанна. Шен вежарийн лешна хьалха а лай хир ву иза», — аьлла.</verse>
				<verse number="26">Кхин а элира цо: «Декъала ву Веза Эла, Шимин Дела, ткъа КанаӀан Шимин лай хуьлийла.</verse>
				<verse number="27">Япатан тӀаьхье Дала беркате а йойла, Шимин четарш чохь а Ӏойла Япат. Ткъа КанаӀан Япатан лай хуьлийла!»</verse>
				<verse number="28">Лаьтта тӀехь хи тӀедалар хиллачул тӀаьхьа, кхо бӀе шовзткъе итт шарахь вехира Нохьа.</verse>
				<verse number="29">Дерриге а Нохьа ваьхна шераш исс бӀе шовзткъе итт шо ду. ТӀаккха Нохьа дӀакхелхира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="10">
				<verse number="1">ХӀара ду Нохьин кӀентийн Шимин а, Хьамин а, Япатан а тӀаьхьенах хилларг. Лаьттахь хи тӀедалар хиллачул тӀаьхьа церан иштта тӀаьхье хилира.</verse>
				<verse number="2">Япатан кӀентий бара: Гомар, МагӀогӀ, Мадай, Яван, Тубал, Машах, Тирас.</verse>
				<verse number="3">Гомаран кӀентий бара: Ашкиназ, РипӀат, ТогӀарма.</verse>
				<verse number="4">Яванан кӀентий бара: Элша, Таршаш, Хитам, Доданам.</verse>
				<verse number="5">ГӀайренаш тӀехь баха охьахевшинарш массо а Япатан кӀентийн тӀаьхьенах бара. ХӀора кӀентан а шен долахь латта а дара. ХӀора доьзал а алсамболуш, тайп-тайпана къаьмнаш кхолладелира, шен-шен буьйцу мотт а болуш, дӀахӀиттира уьш.</verse>
				<verse number="6">Хьамин кӀентий бара Хуша, Мисар, ПӀатӀа, КанаӀан.</verse>
				<verse number="7">Хушин кӀентий бара Себа, Хьавил, СабтӀа, РуӀман, Сабтехьа. РуӀманан кӀентий бара Шеба а, Даддан а.</verse>
				<verse number="8">Ткъа Хушин вара Намрад цӀе йолуш кӀант, иза чӀогӀа ницкъ болуш кӀант а вара.</verse>
				<verse number="9">Иза Везачу Элана гергахь воккха таллархо вара, цундела цуьнца дустуш адамашна олуш ду: «Иза, Намрад санна, Везачу Элана гергахь воккха таллархо ву».</verse>
				<verse number="10">Намрад-пачхьалкхана юкъайогӀуш хилла юьхьенца Бавел, Эрахь, Аккад. Уьш ерриш ШанӀар-аренна тӀехь яра.</verse>
				<verse number="11">Иштта цу махкара ваьлла Ашур. Цо хӀиттийна Нунав-гӀала а, Рехьабат-гӀала а, Калахь а,</verse>
				<verse number="12">Расан а цӀераш йолу гӀаланаш а. Нунав-гӀалина а, йоккха йолчу Калахь-гӀалина а юккъехь яра Расан-гӀала.</verse>
				<verse number="13">Мисарх бевлла лудамхой, Ӏанамхой, лахӀабхой, наптухьхой,</verse>
				<verse number="14">патӀрусхой, шех пӀелаштамхой схьабевлла волу каслахӀамхой, каптӀархой.</verse>
				<verse number="15">КанаӀанан кӀентий хӀорш бара: дуьххьарлера доьзалхо волу ЦӀадан, цул тӀаьхьа хилла волу Хьета.</verse>
				<verse number="16">Иштта КанаӀанах схьабевлла: явсайхой, эмархой, гӀиргӀашахой,</verse>
				<verse number="17">хьаьвихой, Ӏаьркхахой, синахой,</verse>
				<verse number="18">арвадихой, цӀемархой, хьаматхой. Цул тӀаьхьа КанаӀанан тӀаьхье дӀасаяьржира.</verse>
				<verse number="19">КанаӀанхойн мохк баьржина бара къилбаседехьа йолчу ЦӀадан-гӀалара дуьйна къилбехьа йолчу ГӀарар-гӀала тӀекхаччалц, ткъа кхузара малхбалехьара Ӏази-гӀалара дуьйна малхбузера Седам а, Ӏамор а гӀаланашна тӀекхаччалц, иштта Удам а, ЦӀабайма а гӀаланашкара дуьйна ЛашаӀ-гӀала тӀекхаччалц.</verse>
				<verse number="20">Иштта яра Хьамин тӀаьхье шайн доьзалшца а, буьйцучу меттанашца а, бехачу мехкашца а, къаьмнийн декъадаларца а.</verse>
				<verse number="21">Шима Япатан воккхаха волу ваша вара. Шимин тӀаьхьенах цхьаъ вара Ӏебар. Иза дерриге а Ӏебархойн тайпа долийнарг вара.</verse>
				<verse number="22">Шимин кӀентий бара Ӏейлам, Ашур, Арпахшад, Луда, Арам.</verse>
				<verse number="23">Араман кӀентий ӀуцӀа, Хьула, ГӀетӀар, Маша а бара.</verse>
				<verse number="24">Арпахшадан кӀант вара Селахь, ткъа Селахьан кӀант вара Ӏебар.</verse>
				<verse number="25">Ӏебаран ши кӀант вара: цхьана кӀентан цӀе ПалагӀ яра, хӀунда аьлча иза вехачу хенахь лаьтта тӀехь адам декъадалар а, дӀасадаржар а хилла. ПалагӀан вешин цӀе Якхтан яра.</verse>
				<verse number="26">Якхтанан а хилира кӀентий: Алмадад, ШалапӀ, Хьацармават, Ярахь,</verse>
				<verse number="27">ХӀайдарам, Узал, Дикхалла,</verse>
				<verse number="28">Ӏобал, Абумаил, Шеба,</verse>
				<verse number="29">Апар, Хьавил, Ябаб. Уьш берриш Якхтанан кӀентий бара.</verse>
				<verse number="30">Церан Ӏар дара Мешаъ-махкана а, малхбалехь долчу лаьмнашна а юккъехь долчу лаьтта тӀехь. Ткъа Мешаъ-мохк Сепар-мехкан лаьмнашца бозалуш бара.</verse>
				<verse number="31">Иштта яра Шимин тӀаьхье шайн доьзалшца а, буьйцучу меттанашца а, бехачу мехкашца а, къаьмнийн декъадаларца а.</verse>
				<verse number="32">Иштта яра Нохьин кӀентийн доьзалийн тӀаьхье шен тайп-тайпанана къаьмнашна декъадаларца. Царех даьлла массо а лаьтта тӀехь дӀасадаьржина къаьмнаш, Дала дерриге а латта хьулдеш даийтинчу хил тӀаьхьа кхолладелла долу.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="11">
				<verse number="1">Лаьтта тӀехь массо а адамашна юкъахь буьйцу мотт а цхьаъ бара, цара олуш долу дешнаш а цхьатерра дара.</verse>
				<verse number="2">Малхбалехьара дуьйна доладелла и адам, ШанӀар-махкахь шера аре а карийна, цигахь даха охьахиира.</verse>
				<verse number="3">«Дуьло, кибарчигаш а йина, уьш цӀергахь ягор ю вай», — элира цара вовшашка. Иштта тӀулгийн меттана кибарчигаш а, киран меттана силам хилира церан.</verse>
				<verse number="4">Цара элира: «ГӀала а, цу чохь стигала а кхочуш бӀов а хӀоттор ю вай ваьшна, хӀокху лаьттахь массанхьахула дӀаса ца даржадайта, цӀе а йоккхуьйтур ю вай вешан».</verse>
				<verse number="5">Адамаша кхуллуш йолчу гӀалане а, бӀаьвне а хьажа охьавоьссира Веза Эла.</verse>
				<verse number="6">Везачу Эло элира, цаьрга а хьаьжна: «И массо адам цхьа халкъ а ду, массара а буьйцуш цхьа мотт бу, ткъа хӀун дан буьйлабелла уьш. ХӀинца дерриге а шайна дан дага догӀург ца далуш дуьсур дац церан.</verse>
				<verse number="7">Дуьло, охьа а диссина, цара буьйцу мотт дӀаэбийр бу вай, уьш вовшаша дуьйцучух а ца кхоьтуьйтуш».</verse>
				<verse number="8">ТӀаккха Везачу Эло и халкъ массо а лаьттахула дӀасадаржийра, цара хӀоттош йолу гӀала чекх а ца йоккхуьйтуш.</verse>
				<verse number="9">Цу гӀаланах цара Бавел-гӀала элира (иза ду Ӏебархойн маттахь «Эбина-гӀала»), хӀунда аьлча цигахь Лаьттара массо а къаьмнийн буьйцу мотт Везачу Эло эбина дела. Цигара дуьйна доладелира Везачу Эло хӀокху лаьтта тӀехь массо а маьӀӀе адам даржадар.</verse>
				<verse number="10">ХӀара ду Шимин тӀаьхьенах хилларг. Дала хӀокху дуьненна тӀера массо а хӀума, адам хӀаллакдеш даийтина хи дӀадаьллачул тӀаьхьа, ши шо даьлча, Шимин бӀе шо кхаьчнера. Цу хенахь цуьнан кӀант Арпахшад хилира.</verse>
				<verse number="11">Арпахшад хиллачул тӀаьхьа Шима кхин а пхи бӀе шарахь вехира. Цуьнан кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира.</verse>
				<verse number="12">Арпахшадан ткъе пхийтта шо кхаьчча, цуьнан Селахь хилира.</verse>
				<verse number="13">Селахь хиллачул тӀаьхьа Арпахшад диъ бӀе кхаа шарахь вехира. Цуьнан кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира.</verse>
				<verse number="14">Селахьан ткъе итт шо кхаьчча, цуьнан хилира кӀант Ӏебар.</verse>
				<verse number="15">Ӏебар хиллачул тӀаьхьа Селахь диъ бӀе кхаа шарахь вехира, кхин кӀентий а, йоӀарий а хуьлуш.</verse>
				<verse number="16">Ӏебаран ткъе дейтта шо кхаьчнера, цуьнан кӀант ПалагӀ хилча.</verse>
				<verse number="17">ПалагӀ хиллачул тӀаьхьа Ӏебар диъ бӀе а ткъе итт шарахь вехира. Цуьнан а кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира.</verse>
				<verse number="18">ПалагӀан ткъе итт шо кхаьчча, цуьнан Рахьу хилира.</verse>
				<verse number="19">Рахьу хиллачул тӀаьхьа ПалагӀ ши бӀе исс шарахь вехира. Цуьнан кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира.</verse>
				<verse number="20">Рахьун ткъе дейтта шо кхаьчнера, цуьнан кӀант СерагӀ хилча.</verse>
				<verse number="21">СерагӀ хиллачул тӀаьхьа Рахьу вехира ши бӀе ворхӀ шарахь. Цуьнан кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира.</verse>
				<verse number="22">Ткъе итт шо кхаьчча, СерагӀан хилира кӀант Нахьир.</verse>
				<verse number="23">Нахьир хиллачул тӀаьхьа СерагӀ вехира шина бӀе шарахь, кхин а кӀентий а, йоӀарий а хуьлуш.</verse>
				<verse number="24">Нахьиран ткъе исс шо кхаьчча, цуьнан кӀант ТӀахьир хилира.</verse>
				<verse number="25">ТӀахьир хиллачул тӀаьхьа Нахьир вехира цхьа бӀе ткъайоьсна шарахь. Кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира цуьнан.</verse>
				<verse number="26">ТӀахьиран кхузткъе итт шо кхаьчначул тӀаьхьа, цуьнан хилира кӀентий Ибрам, Нахьир, ХӀарон.</verse>
				<verse number="27">ХӀара ду ТӀахьиран тӀаьхьенах хилларг. ТӀахьиран кӀентий хиллера Ибрам а, Нахьир а, ХӀарон а. ТӀаккха ХӀаронан кӀант ЛутӀа хилира.</verse>
				<verse number="28">ХӀарон дӀакхелхира ша винчу Хашад-махкара Ур-гӀалахь, шен да ТӀахьир дуьненчохь а волуш.</verse>
				<verse number="29">Ибрама а, Нахьира а шайна зударий балийра. Ибраман зудчун цӀе Сарет яра, ткъа Нахьиран зудчун цӀе Малкан яра. Малкан а, Йиска а ХӀаронан ши йоӀ яра.</verse>
				<verse number="30">Сарет доьзалхо хуьлуш яцара, цуьнан цхьа а бер дацара.</verse>
				<verse number="31">ТӀаккха ТӀахьир, шеца шен кӀант Ибрам, шен кӀентан ХӀаронан кӀант ЛутӀа а, нус Сарет а (шен кӀентан Ибраман зуда), эцна, Хашад-махкара Ур-гӀалара КанаӀан-махка ваха аравелира. Амма ХӀаран-гӀала кхаьчча, цигахь севцира уьш.</verse>
				<verse number="32">ХӀаран-гӀалахь шен ши бӀе пхи шо долуш ТӀахьир дӀакхелхира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="12">
				<verse number="1">Везачу Эло элира Ибраме: «Хьайн мохк а, халкъ а, ден цӀа а дӀа а тасий, Ас хьайна гойтун болчу махка дӀагӀо.</verse>
				<verse number="2">Ас хьох схьадаьлла доккха халкъ кхуллур ду, хьо декъал а вийр ву, хьан цӀе а ойур ю, наха а хьан цӀарца вовшийн декъалбийр бу.</verse>
				<verse number="3">Ас декъалбийр бу хьо декъалвеш берш, неӀалт а эр ду хьуна неӀалт кхайкхочарна, дуьнен чуьра массо а халкъ хьоьгахула декъал а дийр ду».</verse>
				<verse number="4">Везачу Элан лаам кхочушбеш, ХӀаран-гӀалара дӀавахара Ибрам. Цуьнца ЛутӀа а вахара. Ибраман цу хенахь кхузткъе пхийтта шо дара.</verse>
				<verse number="5">Цо шен зуда Сарет а, вешин кӀант ЛутӀа а вигира шеца. ХӀаранехь ша да мел волу хӀума схьаийцира цо. Шен долахь болу леш а дӀабигира цо. Ибрам а, цуьнца берш а, ХӀаран-гӀала дӀа а тесна, КанаӀан цӀе йолчу махка баьхкира.</verse>
				<verse number="6">Цу махкахула дӀа а вахана, Шехем цӀе йолу гӀала йолчу а, МорахӀ цӀе йолу ножан деза дитт долчу а кхечира Ибрам. Цу лаьтта тӀехь Ӏаш бара канаӀанхой.</verse>
				<verse number="7">Ибрамна хьалха хӀоьттинчу Везачу Эло элира: «ХӀара латта Ас хьан тӀаьхьенна дӀалур ду». Шена веанчу Везачу Элана лерина сагӀа доккху меттиг кечйира Ибрама цигахь.</verse>
				<verse number="8">Цигара дӀа а вахана, Бетал-гӀалина малхбалехьа долчу лаьмнашка велира Ибрам. Цигахь цо шен четар дӀахӀоттийра. И волчуьра малхбузехьа лаьтташ Бетал-гӀала яра, малхбалехьа ГӀай-гӀала яра. Цу меттехь кхин а цхьа сагӀа доккху меттиг а кечйина, Ибрам Везачу Эле кхайкхира.</verse>
				<verse number="9">Юха, новкъаваьлла, НегӀаб цӀе йолчу яьссачу арехьа кхидӀа а вахара иза.</verse>
				<verse number="10">ЧӀогӀа мацалла хӀоьттира цу махкахь, цундела Ибрам ваха Мисар-махка дӀавахара.</verse>
				<verse number="11">Шаьш Мисар-махка дӀакхочуш, цо элира шен зудчуьнга Сарете: «Суна хаьа хьо хаза зуда юйла.</verse>
				<verse number="12">Мисархошна хьо гича, цара эр ду: „Иза цуьнан зуда ю“. Цара со вуьйр ву, хьо шайна йитархьама.</verse>
				<verse number="13">Хьо сан йиша ю ала цаьрга, тӀаккха цара со вуьйр вац. Со хьан ваша ву моьттуш, уьш соьца дика хир бу, ткъа ахь сан са кӀелхьардоккхур ду».</verse>
				<verse number="14">Иштта хила а хилира иза. Ибрам Мисар-махка веача, мисархошна Саретан хазалла гира.</verse>
				<verse number="15">ПирӀунна гонах болчу элашна а гира Сарет. Цара пирӀуне элира, иза исбаьхьа зуда ю аьлла. ПирӀуно иза шен цӀийне схьаялаяйтира.</verse>
				<verse number="16">Ибрам Саретан ваша ву моьттуш, пирӀун цуьнца дика вара. Цо Ибрамна дуккха а даьхни а, уьстагӀий а, варраш а, эмкалш а, ялхой-божарий а, ялхой-зударий а белира.</verse>
				<verse number="17">Амма Ибраман зуда Сарет дӀайигар бахьана долуш, Везачу Эло хала цамгарш яхкийтира пирӀунна а, цуьнан чохь болчарна а тӀе.</verse>
				<verse number="18">ТӀаккха, Ибрам схьа а кхайкхина, элира пирӀуно: «ХӀара хӀун ду ахь суна динарг? Сарет хьайн зуда ю хӀунда ца элира ахь?</verse>
				<verse number="19">Иза хьайн йиша ю ахь аьлча, сайна йига дагахь хиллера со. ХӀара ю хьуна хьан зуда, иза, схьа а эций, дӀагӀо кхузара!» — аьлла.</verse>
				<verse number="20">Шен ялхошка, Ибрам Мисарара араваккха аьлла, омра дира пирӀуно. Цара Ибрам, шен зуда а, дерриг а шен долахь дерг а эцна, дӀахьажийра цигара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="13">
				<verse number="1">Шен зуда а, берриг а бахам а эцна, Мисар-махкара НегӀаб цӀе йолчу яьссачу арахула дӀавахара Ибрам. Цуьнца цхьаьна ЛутӀа а вара.</verse>
				<verse number="2">Ибрам цу хенахь чӀогӀа хьал долуш вара, цуьнан дуккха а даьхни а, дети а, деши а дара.</verse>
				<verse number="3">КхидӀа а шен некъ беш, НегӀаб-арара дӀа а вахана, Бетал-гӀала веара иза. Бетал-гӀалина а, ГӀай-гӀалина а юккъехь ша хьалха шен доьзалца Ӏийначу метте юхавеара иза.</verse>
				<verse number="4">Цигахь хьалха ша сагӀа доккху меттиг кечйиначохь Везачу Эле кхайкхира иза.</verse>
				<verse number="5">Ибрамна юххехь волчу ЛутӀин дуккха а уьстагӀий а, бежанаш а, дӀахӀиттийна четарш а дара.</verse>
				<verse number="6">Цу шиннан даьхни дукха хиларна, уьш Ӏачу лаьтта тӀе иза тар ца лора.</verse>
				<verse number="7">Ибраман а, ЛутӀин а Ӏуй вовшашца къийса буьйлабелира. Ткъа цигахь, цул сов, цу хенахь бехаш канаӀанхой а, перезахой а бара.</verse>
				<verse number="8">ТӀаккха Ибрама элира ЛутӀе: «Товш дац вайшинна а, вайн Ӏуьнашна а вовшашца къийсадала, хӀунда аьлча вай вежарий ду.</verse>
				<verse number="9">ДӀасакъаьстар ду вай. Хьайна луъу меттиг харжа. Нагахь хьо аьрру агӀор гӀахь, со аьтту агӀор гӀур ву, нагахь хьо аьтту агӀор гӀахь, со аьрру агӀор гӀур ву».</verse>
				<verse number="10">ДӀахьаьжначу ЛутӀина Йордан-хи догӀу ерриг а меттиг гира. (Иза дара Везачу Эло Седам-гӀала а, Ӏамор-гӀала а йохаяле.) Цу хенахь Йорданан тогӀи ЦӀоӀар-гӀалина тӀекхаччалц Везачу Элан беш санна яра. Мисар-махкахь санна, дика дара цигара латта.</verse>
				<verse number="11">ЛутӀас шена Йорданан тогӀи хаьржира. И шиъ дӀасакъаьстира: ЛутӀа малхбалехьа вахара,</verse>
				<verse number="12">ткъа Ибрам КанаӀан-махкахь висира. ЛутӀа тогӀи чохь йолчу гӀаланашна юккъехь ваха хиира. Седамана тӀекхаччалц дӀа а вахана, шен четарш хӀиттийра цо.</verse>
				<verse number="13">Седаман бахархой чӀогӀа зуламе а, Везачу Элана хьалха къинош летийна а бара.</verse>
				<verse number="14">ЛутӀа дӀакъаьстинчул тӀаьхьа Везачу Эло элира Ибраме: «ДӀасахьажал гонах, къилбаседехьа а, къилбехьа а, малхбалехьа а, малхбузехьа а хьажал.</verse>
				<verse number="15">Дерриг а хьуна гуш долу хӀара латта Ас хьуна а, хьан тӀаьхьенашна а гуттаренна а дӀалур ду.</verse>
				<verse number="16">Ас алсамйоккхур ю хьан тӀаьхье, Лаьтта тӀера гӀум санна, дукха хир бу уьш. Нагахь санна гӀамаран буьртигаш дагарлург хилча, хьан тӀаьхьенаш а ягарлур яра.</verse>
				<verse number="17">ДӀавалуо, хьайн лаьтта тӀехула йохалла а, шоралла а волалуо, хӀунда аьлча хьуна дӀало Ас иза».</verse>
				<verse number="18">Шен четарш дӀа а оьзна, Мамари долахь долчу ножан дезачу дитташна уллохь, Хьеврон-гӀалина гена воцуш, ваха охьахиира Ибрам. Цигахь Везачу Элана лерина сагӀа доккху меттиг а кечйира цо.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="14">
				<verse number="1">Амрапал ШанӀар-мехкан паччахь вара, Арихан Эласар-мехкан паччахь вара, Кедирал-Ӏумар Ӏейлам-мехкан паччахь вара, ткъа Тида-Ӏела Гойим цӀе йолчу къоман паччахь вара.</verse>
				<verse number="2">И массо а паччахьаш тӀамца дуьхьалбахара Седам-гӀалин паччахьна БераӀна а, Ӏамор-гӀалин паччахьна БиршаӀна а, Удам-гӀалин паччахьна Шани-Абуна а, ЦӀабайма-гӀалин паччахьна Шима-Ибарина а, БулаӀ-гӀалин (хӀинца ЦӀоӀар-гӀала цӀе йолчу) паччахьна а.</verse>
				<verse number="3">Кхара шайн эскарш цхьаьнатуьйхира Сидим цӀе йолчу тогӀи чохь, хӀинца Дуьра хӀорд лаьттачохь.</verse>
				<verse number="4">Шийтта шарахь Кедирал-Ӏумар цӀе йолчу паччахьан куьйга кӀелахь бара уьш, кхойтталгӀачу шарахь цунна дуьхьал гӀевттира и паччахьаш.</verse>
				<verse number="5">ДейтталгӀачу шарахь Кедирал-Ӏумар а, цуьнца болу паччахьаш а тӀамца царна дуьхьал а бевлла, Ӏаштерот-Кхарнаимехь репаш цӀе йолу къам а, Хьамехь зузамхой а, Шаве-Кхиръятимехь эймимахой а,</verse>
				<verse number="6">СеӀир-лаьмнашкахь Ӏаш болу хьорихой а, яьссачу аренца доза долчу Эл-Парана тӀекхаччалц долу къаьмнаш эшийра.</verse>
				<verse number="7">Цул тӀаьхьа Кедирал-Ӏумара, къилбаседехьа юха а вирзина, Ӏейн-Мишпате (хӀинца Кхадеш олучу метте) а веана, Ӏамалекхахой олучу къомана тӀехь толам баьккхира, цул сов, Хьаццон-Тамарехь Ӏаш болу эмархой эшийра.</verse>
				<verse number="8">Седаман а, Ӏаморан а, Удаман а, ЦӀабаймин а, (хӀинца шех ЦӀоӀар олучу) БулаӀан а паччахьаш цхьаьна а кхетта, шайн мостагӀашца тӀом бан Сидим олучу тогӀи чу биссира.</verse>
				<verse number="9">Уьш тӀом беш бара Ӏейламарчу паччахьца Кедирал-Ӏумарца а, гойимхойн паччахьца Тида-Ӏелица а, ШанӀар-махкарчу паччахьца Амрапалаца а, Эласар-махкарчу паччахьца Ариханца а. Виъ пхеанна дуьхьал.</verse>
				<verse number="10">Сидим-тогӀи чохь дуккха а оьрнаш дара шайна чохь силам долуш. Седамера а, Ӏаморера а паччахьаш бевдча, дуккха а тӀемалой цу оьрнаш чу ийгира, вуьш лаьмнашкахь къайлабевлира.</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха Седамера а, Ӏаморера а бахархойн долахь дерг а, тӀаьхьалонна дӀадиллинарг а — дерриг а, схьа а эцна, дӀабахара мостагӀий.</verse>
				<verse number="12">Ибраман вешин кӀант ЛутӀа Седамехь Ӏаш вара. Иза йийсаре вигира, цуьнан берриг а бахам мостагӀаша дӀабаьхьира.</verse>
				<verse number="13">КӀелхьарваьллачу цхьаммо вахана Ӏебаран тӀаьхьенах волчу Ибраме дийцира хиллачух лаьцна. Цу хенахь Ибрам Мамарин долахь долу ножан деза дитташ долчохь Ӏаш вара. Эмархо волчу Мамарис а, цуьнан вежарша Ашкула а, Ӏанурис а барт бинера шайна юкъахь а, Ибрамца а, вовшийн гӀо дийр ду аьлла.</verse>
				<verse number="14">ЛутӀа дӀалаьцна ву аьлла хезча, шен хӀусамехь кхиъна волу кхо бӀе берхӀитта ялхо герзашца кеч а вина, Дан-гӀали тӀекхаччалц мостагӀа эккхийна вахара Ибрам.</verse>
				<verse number="15">Бекъа а белла, цу буссехь мостагӀашна тӀе а летта, уьш лаьхкина Дамасакх-гӀалина къилбаседехьа йолчу, Хьоба цӀе йолчу метте кхаччалц дӀабигира цара.</verse>
				<verse number="16">МостагӀаша дӀабаьккхина хилла болу бахам а, зударий а, ялхой а, шен бахамца цхьаьна ЛутӀа а — дерриг а юхадерзийра Ибрама.</verse>
				<verse number="17">Кедирал-Ӏумар а, цуьнца болу паччахьаш а эшийна, цӀа вирзира Ибрам. Шех хӀинца Паччахьан тогӀи олучу, Шаву цӀе йолчу тогӀи чохь цунна дуьхьалвеара Седаман паччахь.</verse>
				<verse number="18">Веза Воккхачу Делан динан да волу Шалейм-гӀалин паччахь Малки-ЦӀадакъа велира, бепиг а, чагӀар а эцна, Ибрамна дуьхьал.</verse>
				<verse number="19">Ибрам декъал а веш, цо элира: «Ибрам! Стигал а, Латта а кхоьллинчу Веза Воккхачу Дала декъалвойла хьо.</verse>
				<verse number="20">Хьан мостагӀий эшо хьуна гӀо динчу Веза Воккхачу Далла хастам бер вай». ТӀамехь даьккхинчух уьтталгӀа дакъа Малки-ЦӀадакъина дӀаделира Ибрама.</verse>
				<verse number="21">ТӀаккха Седаман паччахьо элира Ибраме: «Даьккхина хьал хьайна а дитий, мостагӀчо дӀалаьцна хилла болу сан нах схьалохьа».</verse>
				<verse number="22">Амма Ибрама Седаман паччахьна жоп делира: «Везачу Элана, стигал а, Латта а кхоьллинчу Веза Воккхачу Далла хьалха дӀакховдийначу куьйгаца чӀагӀо йо ас,</verse>
				<verse number="23">хьан долахь долчух цхьа хӀума, ур-атталла тай я мачин бахтар а схьаоьцур дац аьлла. Суна ца лаьа хьоьга алийта: „Аса Ибрам ваха хаийна“.</verse>
				<verse number="24">Ас схьаоьцун берг сан кегийрхоша биина кхача бу, амма соьца хиллачу нахана догӀу дакъа дӀадала деза ахьа. Ӏанурина а, Мамарина а, Ашкуланна а догӀург дӀало».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="15">
				<verse number="1">И дерриг а хиллачул тӀаьхьа Везачу Элан дош деара Ибрамна, цхьа сурт а хӀоьттина. Дала элира: «Ма кхералахь, Ибрам! Со хьо Ӏалашвен йолу гӀап ю. Ас хьуна ден долу совгӀат а доккха ду».</verse>
				<verse number="2">Амма Ибрама элира: «Сан Хьалдолу Эла! Со ирс долуш хилийта хӀумма а лойла дац хьан, хӀунда аьлча сан кӀант вац. Цундела со велча, сан лена, Дамасакхера ЭлиӀазарна, кхочур ду дерриг а сан долахь дерг.</verse>
				<verse number="3">Ахьа кӀант ца велла суна, — элира Ибрама, — цундела сан цӀа чохь вина лай хир ву сан тӀаьхье дӀакхоьхьуш верг».</verse>
				<verse number="4">ТӀаккха Везачу Эло элира Ибраме: «Хьан дерг дерриг а оцу лена кхочур дац. Хьан кӀант хир ву, цунах хьан тӀаьхье а хир ю».</verse>
				<verse number="5">Цул тӀаьхьа, Ибрам четар кӀелара ара а ваьккхина, элира Цо: «ДӀахьажал стигала, дагардел цигара седарчий, хьайга дагардалахь! Оццул дукха хир ю хьан тӀаьхье».</verse>
				<verse number="6">Ибрам тийшира Везачу Элах, цундела Цо иза Шена хьалха бакъвина лерира.</verse>
				<verse number="7">Дала элира Ибраме: «Хьо Хашад-махкара Ур-гӀалара араваьккхина Веза Эла ву Со. Иза Аса дина хӀара латта хьуна дӀадалархьама, хьоьга цуьнан дола дайта».</verse>
				<verse number="8">Амма Ибрама элира: «Сан Хьалдолу Эла! Суна муха хуур ду хӀара латта сан дуйла?»</verse>
				<verse number="9">Везачу Эло элира Ибраме: «Суна лерина кхо шо кхаьчна шинар а, кхо шо кхаьчна газа а, кхо шо кхаьчна уьстагӀ а, кхокха а, къоркхокха а ба».</verse>
				<verse number="10">И дийнаташ Везачу Элана хьалха схьа а далийна, царна урс а хьаькхна, юккъехула шина декъе а декъна, церан эхаш дуьхь-дуьхьал охьаехкира Ибрама. Кхокхарчий ца дийкъира цо шина декъе.</verse>
				<verse number="11">Дукха хан ялале цу бежанийн чархашна тӀелетира дера олхазарш, амма Ибрама дӀалаьхкира уьш.</verse>
				<verse number="12">Малх чубузучу хенахь Ибрамна чӀогӀа наб кхийтира. ГӀенах инзаре кхерам бахьаш бода хӀоьттира цунна гонах.</verse>
				<verse number="13">Везачу Эло элира цуьнга: «Хаалахь, хьан тӀаьхьенах берш хийрачу махкахь тӀебаьхкина нах а хилла Ӏийр бу. Цу махкарчу бахархоша, деа бӀе шарахь леш а бина, Ӏазапехь латтор бу уьш.</verse>
				<verse number="14">Амма Аса таӀзар дийр ду уьш бацийначу халкъана. Цул тӀаьхьа хьан тӀаьхьенах болу нах цу махкара дӀагӀур бу, дуккха а хьал а эцна.</verse>
				<verse number="15">Хьо а, кхелхина, хьайн дайшна тӀе дӀагӀур ву са паргӀатдаьлла, кӀорггера хенара а волуш дӀа а вуллур ву.</verse>
				<verse number="16">Йиъ тӀаьхье чекхъяьлча, хьан халкъ кху лаьтта тӀе юхадогӀур ду, хӀунда аьлча кхузахь Ӏаш долчу эмар-халкъан харцонийн барам кхочушхилла бац хӀинца а».</verse>
				<verse number="17">Малх чубуьзначул тӀаьхьа чӀогӀа бода хӀоьттира. ЦӀеххьана шена чуьра кӀур хьалаоьху кад а, цӀеран хаьштиг а чекхделира екъначу бежанашна юккъехула.</verse>
				<verse number="18">Цу дийнахь Везачу Эло Ибрамца барт бира: «Аса хьан тӀаьхьенна дӀалур ду хӀара латта Мисар-мехкан дозанехь долчу хина тӀера сийлахьчу Эпрат-хина тӀекхаччалц,</verse>
				<verse number="19">кхенахойн а, кхеназхойн а, кхадманахойн а,</verse>
				<verse number="20">хьетахойн а, перезахойн а, репахойн а,</verse>
				<verse number="21">эмархойн а, канаӀанхойн а, гӀиргӀашийн а, явсайхойн а латта», — аьлла.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="16">
				<verse number="1">Ибраман зудчун Саретан бер ца хуьлура. Саретан Мисар-махкара ялхо яра, ХӀажар цӀе а йолуш.</verse>
				<verse number="2">Сарета элира Ибраме: «Везачу Эло суна бер ца делла, цундела сан ялхочуьнца дӀавижа веза хьо. Иза доьзалхочух хилахь, цуьнгахула бер хир ду сан». Ибрама шен зудчуьнга ладуьйгӀира.</verse>
				<verse number="3">И дерриге хилира Ибрама КанаӀан-махкахь итт шо даьккхинчул тӀаьхьа. Сарета шен майрачунна Ибрамна Мисар-махкара ялхо ХӀажар елира, цунах зуда яйта.</verse>
				<verse number="4">Ибрамах доьзалхочух хилира ХӀажар. Цу бахьаненна куралла а йина, Саретал ша лакхара хийтира цунна.</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха Сарета элира Ибраме: «Со дегабаам болуш хиларна бехке хьо ву. Аса сайн ялхо хьуна елира, ткъа хӀинца ша доьзалхочух хилча, сол а лакхара хета цунна. Везачу Эло къастадойла, тхойшиннах нийса мила ю».</verse>
				<verse number="6">Ибрама элира Сарете: «Иза хьан ялхо ю, цуьнца хьайна луъург де», — аьлла. Сарета чӀогӀа ницкъ бора ХӀажарна, цундела иза Сарет йолчуьра едира.</verse>
				<verse number="7">Везачу Элера долчу маликана Шур-гӀала боьдучу новкъахь, шовданан йистехь, яьссачу арахь карийра ХӀажар.</verse>
				<verse number="8">Малико элира: «Саретан ялхо ХӀажар, хьо стенгара еана, стенга йоьду?» ХӀажара жоп делира: «Со Сарет йолчуьра едда йогӀу».</verse>
				<verse number="9">Везачу Элан Малико элира ХӀажаре: «Хьайн хӀусамнана йолчу цӀа а гӀой, цуьнга ладугӀуш хила».</verse>
				<verse number="10">Юха а элира цуьнга Везачу Элан Малико: «Ас, тӀаьхь-тӀаьхьа дебош, ягар ца яллал дукха тӀаьхье хуьлуьйтур ю хьан».</verse>
				<verse number="11">Кхин а тӀетуьйхира Везачу Элан Малико: «ХӀажар, хьо хӀинца доьзалхочух ю, хьан кӀант хир ву. Ахьа цуьнан цӀе ИсмаьӀал туьллур ю (иза „Далла хеза“ бохург ду). Везачу Элана хаза ма хезара хьуна ницкъ беш.</verse>
				<verse number="12">ИсмаьӀал, акха вир санна, аьрха а, шен лаамехь а хир ву, иза массарна а дуьхьал хир ву, массо а цунна дуьхьал а хир ву. Шен вежаршца мостагӀалла долуш Ӏийр ву иза».</verse>
				<verse number="13">ХӀажара шеца къамел динчу Везачу Элан керла цӀе яьккхира, цо элира: «Со гуш волу Дела ву Хьо». Цо иза элира, хӀунда аьлча ша ойла йина дела: «Баккъалла а гиний теша суна со гуш Верг?»</verse>
				<verse number="14">Цундела Кхадеш олучу меттигна а, Баред-гӀалина а юккъехь йолчу цу гӀунах олу «Дийначу, со гуш волчун гӀу» (Ӏебархойн маттахь: «Беар-лахьай-рои»).</verse>
				<verse number="15">ХӀажара Ибрамна кӀант вира, Ибрама цуьнан цӀе ИсмаьӀал тиллира.</verse>
				<verse number="16">Ибраман дезткъе ялх шо дара, ХӀажара ИсмаьӀал вича.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="17">
				<verse number="1">Ибраман дезткъе ткъайоьсна шо дара, Везачу Эло, хьалха а хӀоьттина, цуьнга аьлча: «Со Нуьцкъала Дела ву, Суна Ӏамал а е, хьанал ваха,</verse>
				<verse number="2">ткъа Аса вайшинна юкъахь барт а бина, хьан халкъ алсамдоккхур ду».</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха Ибрам Далла хьалха суждана вахара. Дала кхидӀа а элира цуьнга:</verse>
				<verse number="4">«ХӀара ду вайшиммо барт барехь Аса тӀелоцун дерг: Аса хьо дукхачу къаьмнийн да вийр ву.</verse>
				<verse number="5">Аса хьан цӀе хуьйцур ю: хьан цӀе Ибрам хир яц, ИбрахӀим хир ю, хӀунда аьлча Аса хьо дуккхачу а къаьмнийн да вийр ву.</verse>
				<verse number="6">Аса хьан дукха тӀаьхьенаш хуьлуьйтур ю — хьох схьадевр ду керла къаьмнаш, схьабевр бу паччахьаш.</verse>
				<verse number="7">Гуттаренна а хьан тӀаьхьенашна буьсу болу барт бийр бу Аса Сайна а, хьуна а юкъахь: Со хьан а, хьан тӀаьхьенийн а Дела хир ву.</verse>
				<verse number="8">Хьо тӀевеана лелаш волу КанаӀан-мохк берриг а хьуна дӀалур бу Аса. И мохк хьуна а, хьан тӀаьхьенашна а гуттаренна а дӀа а лур бу, церан Дела а хир ву Со».</verse>
				<verse number="9">Дала элира ИбрахӀиме: «Ткъа хӀара вайшиммо барт барехь ахьа тӀелоцун дерг ду: ахьа а, хьан тӀаьхьенаша а Сан хьоьца хилла барт ларбан беза.</verse>
				<verse number="10">Суна а, хьуна а юкъахь болу, ахьа а, хьан тӀаьхьенаша а ларбан беза барт хӀара бу: массо а шун божарий сунтбина хила беза.</verse>
				<verse number="11">Шайн бехкечу меттера сов долу чкъор дӀахададе — иза вайна юкъарчу бертан билгало хир ю.</verse>
				<verse number="12">КӀентан бархӀ де кхаьчча, аша иза сунтван веза. ХӀора шайна вина волу кӀант а, шаьш эцна лай а аша сунтван веза.</verse>
				<verse number="13">Хьан цӀа чохь винарг а, ахь дети а делла эцнарг а сунтвина хила веза билггала. Шун догӀмаш тӀехь йолчу оцу билгалоно гойтуш болу Соьца бина барт тӀейогӀучу хенахь гуттара а хир бу.</verse>
				<verse number="14">Муьлхха а сунт ца веш висина боьрша стаг шен халкъо дӀатосур ву, хӀунда аьлча цо Соьца болу барт бохийна».</verse>
				<verse number="15">Дала элира ИбрахӀиме: «Аса хьан зудчунна Саретана керла цӀе туьллур ю. И цӀе хир ю Сарат.</verse>
				<verse number="16">Иза декъал а йина, цунна кӀант лур ву Аса. Цу кӀентан да хьо хир ву. Сарат дуккха а халкъийн нана хир ю, цунах паччахьаш схьабевр бу».</verse>
				<verse number="17">ИбрахӀим бертал вуьйжира, дагахь вела а воьлуш, цо бохура ша-шега: «БӀе шо кхаьчначу сан кӀант хир ву-те? Я дезткъе итт шо кхаьчначу Сарата бер дийр ду-те?»</verse>
				<verse number="18">ТӀаккха ИбрахӀима элира Деле: «ИсмаьӀал мукъана а вахахьара, Ахьа декъал а вина».</verse>
				<verse number="19">Дала элира: «Билггала хьан зудчо Сарата вийр ву хьуна кӀант, ахьа цуьнан цӀе Исхьакх туьллур ю. Аса цуьнца Сайн барт бийр бу, цуьнан ерриг а тӀаьхьенашна гуттаренна а болу барт хир бу иза.</verse>
				<verse number="20">Суна хезира ахьа ИсмаьӀалан цӀе йоккхуш. Аса иза декъалвийр ву, цуьнан дукха тӀаьхьенаш хир ю. Шийтта сийлахьчу элан да хир ву иза, цунах схьадер ду доккха халкъ.</verse>
				<verse number="21">Амма Сарата хьуна тӀедогӀучу шарахь хӀоккху хенахь вен волчу кӀантаца Исхьакхаца бийр бу Аса Сайн барт».</verse>
				<verse number="22">ИбрахӀимца къамел чекх а даьккхина, Дела и волчуьра дӀавахара.</verse>
				<verse number="23">ИсмаьӀал а, шен хӀусамехь бина болу а, ахча делла эцна болу а леш а, берриг а божарий а, кӀентий а схьа а балийна, уьш сунтбира ИбрахӀима. Дала иза шега аьллачу дийнахь уьш сунтбира цо.</verse>
				<verse number="24">ИбрахӀиман дезткъе ткъайоьсна шо дара иза сунтвинчу дийнахь.</verse>
				<verse number="25">Цуьнан кӀентан ИсмаьӀалан кхойтта шо дара цу хенахь.</verse>
				<verse number="26">ИбрахӀим а, цуьнан кӀант а цхьана дийнахь сунтвира.</verse>
				<verse number="27">Цу дийнахь сунтбира ИбрахӀиман хӀусамехь болу массо а божарий: цуьнан цӀа чохь бина леш а, цо эцна леш а.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="18">
				<verse number="1">Веза Эла юха а ИбрахӀимна дуьхьалхӀоьттира. Мамарин долахь долчу ножан дезачу дитташна уллохь вехаш вара ИбрахӀим. Де дохделлачу хенахь шен четар кӀелахь, араволучу меттехь, Ӏаш вара иза.</verse>
				<verse number="2">Хьалахьаьжначу цунна гира гена воццуш хьалха лаьтта кхо стаг. Уьш а гина, дуьхьалведда, лохха царна хьалха охьатаьӀира ИбрахӀим.</verse>
				<verse number="3">«Эла! — элира ИбрахӀима, — Хьо суна реза велахь, доьху хьоьга, хьайн ялхо волчохь жимма сацахь.</verse>
				<verse number="4">Аса шун когаш била хи а доуьйтур ду, оцу дитта кӀел садаӀа меттиг а ю шуна.</verse>
				<verse number="5">Шайн догӀмашкахь гӀора хилийта сан кхачанах кхетахьара шу, юха кхидӀа а некъ бийр бара аша, шайн ялхо волчу шу даьхкина хилча». Цара элира: «Дика ду, ахь ма-бохху дийр ду оха».</verse>
				<verse number="6">Юха сихонца четар кӀел а вахана, Сарате элира ИбрахӀима: «Сихо яй, кхо бога тоьллачу демах бод хьакхабай, совсаза долу бепиг де».</verse>
				<verse number="7">ТӀаккха, цигара араиккхина, ведда шен даьхни долчу вахара иза. Уггар тоьлла долу эса а хаьржина, ялхочуьнга и дӀа а делла, цунна сихонца урс а хьакхий, жижиг кечде, элира цо.</verse>
				<verse number="8">Кечдина жижиг а, шура а, нехча а, схьа а еана, кхаа стагана хьалха хӀоттийра ИбрахӀима, ткъа ша царна уллохь дитта кӀелахь сецира, уьш хӀума юуш болчу юкъана.</verse>
				<verse number="9">Цара хаьттира ИбрахӀиме: «Хьан зуда Сарат мичахь ю?» «Кхузахь, четар кӀелахь ю иза», — элира ИбрахӀима.</verse>
				<verse number="10">«Со бӀаьста юхавогӀур ву, — элира царах цхьаммо, — цу хенахь хьан зудчун Саратан кӀант хир ву». Царна тӀехьа лаьттачу четарна кӀелахь йолу Сарат ладугӀуш яра церан къамеле.</verse>
				<verse number="11">ИбрахӀим а, Сарат а чӀогӀа хенара дара, Сарат бер хуьлучу хенара яьллера.</verse>
				<verse number="12">Ела а йоьлуш, ша-шега бохура цо: «Со къена ю, сан майра а ву къена. Оьший-те суна и ирс?»</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха Везачу Эло элира ИбрахӀиме: «Сарата, ела а йоьлуш, хӀунда боху, шен бер хир дуй-те, ша къена ма ю?</verse>
				<verse number="14">Везачу Элана дан хала хӀумма а дуй? ХӀан-хӀа! Айса ма-аллара, Со бӀаьста юхавогӀур ву, цу хенахь Саратан кӀант хир ву».</verse>
				<verse number="15">Сарата элира: «Со йоьлуш яцара!» Ша кхераелла дела элира цо иштта. Амма Везачу Эло элира: «ХӀан-хӀа, хьо елаелира».</verse>
				<verse number="16">ТӀаккха божарий, хьала а гӀевттина, лакхара чухьаьвсича, Седам-гӀала гун йолчу метте бахара. Уьш новкъабаха тӀаьхьавелира ИбрахӀим.</verse>
				<verse number="17">Везачу Эло элира Ша-шега: «Со дан воллург Ас ИбрахӀимах лачкъор дац.</verse>
				<verse number="18">ИбрахӀимах доккха а, нуьцкъала а халкъ схьадер ду, дуьнен чуьра дерриг а халкъаш цуьнгахула декъал а хир ду.</verse>
				<verse number="19">Аса ИбрахӀим хаьржина, цуьнга весет дайтархьама шен берашка а, тӀаьхьенашка а, Везачу Элана ма-лаъара, нийсонца а, хьанал а даха аьлла. ТӀаккха Везачу Эло Ша дийр ду аьлларг дерриг а дийр ду цунна».</verse>
				<verse number="20">Юха Везачу Эло элира: «Седаман а, Ӏаморан а бахархошна дуьхьал аьрзнаш дукха ду, уьш къинойх буьзна бу аьлла.</verse>
				<verse number="21">Суна ма-хаззара гӀуллакхаш вон дуй хьожур ву Со, цига а вахана, тӀаккха хьал ма-дарра хуур ду Суна».</verse>
				<verse number="22">Божарий Седам-гӀала йолчухьа дӀабуьйлабелира, ткъа ИбрахӀим Везачу Элана хьалха лаьтташ вара.</verse>
				<verse number="23">Везачу Элана герга а веана, цо хаьттира: «Веза Эла, Хьайн лаамехь берш а, лаамехь боцучаьрца хӀаллакбан дага-м ца деана Хьуна?</verse>
				<verse number="24">ХӀун хаьа, цу гӀалахь шовзткъе итт Хьан лаамехь стаг вуйла? ХӀетте а и гӀала йохор ю Ахьа? Шовзткъе итт Хьан лаамехь волчу стеган дуьхьа цу гӀалех къинхетам бийр бац Ахьа?</verse>
				<verse number="25">Ахь иштта-м дойла ма яц! Хьан лаамехь боцурш байархьама, гӀала а йохош, Хьан лаамехь верг хӀаллаквийр ма вац Ахьа? Нагахь иза хилча, Хьан лаамехь болчарна а, боцучарна а юкъахь башхо ма яц — уьш массо а хӀаллакьхуьлуш ма ву. Ахь иштта дийр дац! Дерриг а дуьненан Кхелахочо йийр яц нийсо?»</verse>
				<verse number="26">ТӀаккха Везачу Эло элира: «Нагахь Седам-гӀалахь Суна шовзткъе итт Сайн лаамехь волу стаг каравахь, церан дуьхьа Аса цу ерриг а гӀалех къинхетам бийр бу».</verse>
				<verse number="27">ИбрахӀима элира: «Новкъа Ӏуьллу чамхалган меха волу со Хьоьца къамел дан хӀутту, Хьалдолу Эла.</verse>
				<verse number="28">Масала, пхиъ тӀе а ца тоьъна, гӀалахь шовзткъе пхиъ бен Хьан лаамехь верг ца хилахь? И пхиъ тӀе ца тоьъна аьлла, ерриг а гӀала йохор ю Ахьа?» Хьалдолчу Эло жоп делира: «Нагахь Суна цигахь шовзткъе пхиъ Сайн лаамехь волу стаг каравахь, Аса гӀала йохор яц».</verse>
				<verse number="29">Юха а хаьттира ИбрахӀима: «Ткъа Хьайна шовзткъа Хьан лаамехь волу стаг бен ца каравахь, йохор юй Ахьа и гӀала?» «Нагахь Суна шовзткъа Сайн лаамехь волу стаг каравахь, Аса йохор яц и гӀала», — жоп делира Хьалдолчу Эло.</verse>
				<verse number="30">«Хьалдолу Эла, доьху Хьоьга суна оьгӀаз ца вахар, пурба лохьа Хьайга хатта: нагахь гӀалахь ткъе итт бен Хьан лаамехь стаг ца хилахь, йохор юй Ахьа иза?» — аьлла, хаьттира ИбрахӀима. «Нагахь Суна цигахь ткъе итт Сайн лаамехь стаг каравахь, Аса йохор яц иза», — жоп делира Хьалдолчу Эло.</verse>
				<verse number="31">ТӀаккха ИбрахӀима элира: «Волавеллачуьра кхин а хоттур дара аса, Хьалдолу Эла: нагахь гӀалахь Хьан лаамехь ткъа стаг хилахь?» Хьалдолчу Эло жоп делира: «Цу ткъа стеган дуьхьа а йохор яц».</verse>
				<verse number="32">Юха а вистхилира ИбрахӀим: «Хьалдолу Эла, оьгӀаз ма гӀахьара Хьо аса кхин цкъа а хаттарна: нагахь Хьуна итт Хьайн лаамехь волу стаг каравахь цу гӀалахь?» Хьалдолчу Эло жоп делира: «Итт стеган дуьхьа а йохор яц».</verse>
				<verse number="33">ИбрахӀимца долу къамел чекх а даьккхина, дӀавахара Веза Эла. ИбрахӀим а шен цӀа юхавирзира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="19">
				<verse number="1">Сарахь и ши малик Седам-гӀала деара. ГӀалин кевна йистехь хиина Ӏаш вара ЛутӀа. Уьш шена гича, тӀе а вахана, царна хьалха горавуьйжира иза.</verse>
				<verse number="2">«Сан элий, ас доьху шуьга шайн ялхо волчу хӀусаме дахкар. Со волчохь когаш била а, буьйса яккха а меттиг хир ю, ткъа кхана шайн некъ кхидӀа а бер аша», — элира ЛутӀас. «ХӀан-хӀа, оха буьйса майданахь йоккхур ю», — элира цу шиммо.</verse>
				<verse number="3">Амма ЛутӀас чӀогӀа дехарна, иза волчу хӀусаме ван резахилира и шиъ. ЛутӀас царна яа хӀума кечйира, морза тохаза бепиг а деттира. Цара хӀума йиира.</verse>
				<verse number="4">Цу сарахь уьш дӀабийшале, Седам-гӀалара жимачо а, воккхачо а, массо а маьӀӀера схьа а веана, ЛутӀин цӀенна го бира.</verse>
				<verse number="5">Уьш маьхьарий детта буьйлабелира: «Мичахь ву хьо волчу сарахь веана ши стаг? Араваккха и шиъ. Оха царах зударий бийр бу!»</verse>
				<verse number="6">ЛутӀас, ара а ваьлла, шена тӀаьхьа неӀ тӀечӀегӀира.</verse>
				<verse number="7">Цо элира цу нахе: «Вежарий, ас доьху шуьга, зулам ма дахьара аша!</verse>
				<verse number="8">Боьрша стаг а вовзаза ши йоӀ ю сан. Ас и шиъ дӀалур ю шуна, царна шайна луъург де, амма ас доьху шуьга, оцу шина стагана зе ма дахьара аш. Уьш сан хӀусаме баьхкина бу, царах жоп дала декхарийлахь ву со».</verse>
				<verse number="9">Амма цӀенна го бинчу Седам-гӀалара божарша элира: «ДӀавала новкъара!» Вовшашка цара бохура: «Хьовсийша хӀокху тӀевеана волчу стаге, хӀара висинера вайна тӀехь кхел яза!» Цара элира цуьнга: «Ларлолахь, хьуна царначул алсам кхета мегаш ю хьуна!» Уьш ЛутӀина тӀегӀоьртира неӀ кагъян дагахь.</verse>
				<verse number="10">ЛутӀа волчу веанчу шина стага, дӀакхевдина, иза чоьхьа а такхийна, неӀ дӀакъевлира.</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха арахь болчу нехан, жимачун а, воккхачун а, бӀаьрса дайира цара. ЧувогӀу неӀ лоьхуш, нах чӀогӀа гӀелбеллера.</verse>
				<verse number="12">Цу шина стага хаьттира ЛутӀе: «Хьан доьзалх кхин цхьа а вуй хӀокху гӀалахь Ӏаш? Я невцарий, я кӀентий, я йоӀарий — милла велахь а кху гӀалара араваккха.</verse>
				<verse number="13">Оха хӀара гӀала йохор ю, хӀунда аьлча Везачу Элана тӀекхоьхьуш кху гӀалара бахархошна дуьхьал дукха аьрзнаш ду. Цо дахкийтина тхо иза хӀаллакьян».</verse>
				<verse number="14">Ара а ваьлла, шен йоӀаршна тӀехьийзачу кӀенташна тӀевахара ЛутӀа. «Сиха кху гӀалара дӀагӀо, — элира цо, — Везачу Эло кестта йохор ю хӀара». Амма царна моьттура ЛутӀас забар йо.</verse>
				<verse number="15">ШолгӀачу дийнахь сатосучу хенахь маликаша сихвира ЛутӀа. «Кху гӀалина таӀзар дийр ду, — элира цара, — хьайн цӀахь йолу зуда а, ши йоӀ а схьа а эций, дӀагӀо кхузара. ГӀалахь дисахь, шу хӀаллакьхир ду».</verse>
				<verse number="16">Амма ЛутӀа шина даггахь вара, хӀоьттинчу хьолах дика ца кхетара иза. Амма Везачу Эло ЛутӀех къинхетам бира. Цундела цу шина малико иза а, цуьнан зуда а, ши йоӀ а, куьйгаш а лаьцна, гӀалех араяьккхира.</verse>
				<verse number="17">Уьш гӀалех арабевлча, цхьана малико элира: «ХӀинца довда, шайн синош кӀелхьардаха! ГӀалехьа юха ма хьовсалаш! Цхьана а меттехь тогӀи чохь ма совцалаш, лаьмнашка дӀагӀо, довдий. Нагахь совцахь, гӀалица цхьаьна хӀаллакьхир ду шу!»</verse>
				<verse number="18">Амма ЛутӀас элира цаьрга: «Элий, ас доьху шуьга сайга ладогӀар.</verse>
				<verse number="19">Соьца, шайн ялхочуьнца, чӀогӀа лараме ду шу. Аша сан дахар кӀелхьардаьккхи, амма со лаьмнашка вадалур вац. ДӀа а ца кхиъна, вала там бу со.</verse>
				<verse number="20">Кхузахь гена йоццуш цхьа жима гӀала ю, цига вахийтийша со. Цига дӀакхаьчча, кӀелхьарвер вара со, иза жима гӀала ма ю».</verse>
				<verse number="21">Малико элира ЛутӀе: «Дика ду, хьан дуьхьа ас йохор яц и гӀала,</verse>
				<verse number="22">амма сиха дӀавада цига, хӀунда аьлча айхьа хаьржинчу метте хьо кхаччалц, Седам-гӀала йохо йиш яц сан». (Цу гӀалин цӀе «Жиманиг» (Ӏебархойн маттахь «ЦӀоӀар») тиллира, ЛутӀас иза жима ю аьлла дела).</verse>
				<verse number="23">Малх хьалагӀаьттинера, ЛутӀа ЦӀоӀар-гӀали чу кхочуш.</verse>
				<verse number="24">Оццу хенахь Везачу Эло йохо йолийра гӀаланаш Седам а, Ӏамор а, стигалара цӀе а, саьнгал а чу а хецна.</verse>
				<verse number="25">Везачу Эло хӀаллакйира цигахь йолу гӀаланаш а, ерриг тогӀи а, дерриг ораматаш а, цу гӀаланашкахь Ӏийна дерриг адамаш а.</verse>
				<verse number="26">ЛутӀагӀар бевдда боьлхучу хенахь юхахьаьжначу цуьнан зудчух туьхан тӀулг хилира.</verse>
				<verse number="27">Цу дийнахь Ӏуьйрре гӀаьттина, Везачу Элана ша хьалха хӀуттучу метте вахара ИбрахӀим.</verse>
				<verse number="28">Лаха, тогӀи чу, хьаьжначу ИбрахӀимна лаьттара хьалабуьйлу буькъа, пешара болуш санна, кӀур гира.</verse>
				<verse number="29">Ша тогӀи чуьра гӀаланаш йохош, Шена ИбрахӀим дагахь волу дела, уьш йохале, цу гӀаланашкахь Ӏаш волу ЛутӀа араваьккхира Везачу Эло.</verse>
				<verse number="30">ЛутӀа ца ваьхьара ЦӀоӀар-гӀалахь Ӏан, цундела шен шина йоӀаца лаьмнашка дӀавахара иза. Уьш цигахь цхьана хьеха чохь Ӏаш бара.</verse>
				<verse number="31">Цкъа йоккхаха йолчу йоӀа элира жимаха йолчуьнга: «Массанхьа а дуьнен тӀехь божарша зударий балабо. Вайн да воккха ву, ткъа божарий кхузахь бан а бац, цхьаннах а вайшиннан бер хуьлийла дац.</verse>
				<verse number="32">ЧагӀар малийна, вайн да ваха а вина, цуьнца дӀайижа еза вайшиъ. Дегахула вайн хӀу Ӏалашдийр ду вай».</verse>
				<verse number="33">Цу буссехь дена чагӀар малийра шина йоӀа. Йоккхаха ерг цуьнца метта дӀайижира. ЛутӀина ца хиира, иза шеца дӀайижча а, хьалагӀаьттича а.</verse>
				<verse number="34">ШолгӀачу дийнахь йоккхаха йолчо элира жимаха йолчуьнга: «Сийсара со йижира вайн деца, тховса кхин цкъа а цунна чагӀар а малийна, хьо йижа еза цуьнца дӀа. Вайн дех бераш а хилла, вешан хӀу Ӏалашдийр ду вай».</verse>
				<verse number="35">Цу буса а дена чагӀар малийра шина йоӀа. Жимаха ерг дӀайижира метта шен деца. Юха а ЛутӀина ца хиира, иза дӀайижча а, хьалагӀаьттича а.</verse>
				<verse number="36">ЛутӀин ший а йоӀ цунах берах хилира.</verse>
				<verse number="37">Йоккхаха йолчу йоӀа кӀант вира, цуьнан цӀе Муаби тиллира цо (иза «дех винарг» бохург ду). Цунах схьабевлла хӀинца болу муабахой.</verse>
				<verse number="38">Жимаха йолчу йоӀа а кӀант вира. Цо цуьнан цӀе Бен-Ӏамми тиллира (иза «сан гергарчун кӀант» бохург ду). Цунах схьабевлла хӀинца болу Ӏамминхой.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="20">
				<verse number="1">НегӀаб цӀе йолчу яьссачу аренгахьа дӀа а вахана, Кхадеш-гӀалина а, Шур-гӀалина а юккъехь ваха хиира ИбрахӀим. Цул тӀаьхьа ГӀарар-гӀалахь Ӏийра иза.</verse>
				<verse number="2">Цигарчу нахе Сарат шен йиша ю элира цо. ГӀарар-гӀаларчу паччахьо Абу-Малика иза шена хезча, ялхой бахийтира Сарат шена схьаяло.</verse>
				<verse number="3">Цкъа буьйсанна Абу-Маликана гӀенах веанчу Дала элира: «Хьо валарна кхерам бу, хӀунда аьлча ахь схьаялаяйтина зуда марехь ю».</verse>
				<verse number="4">Амма Абу-Малик Саратах кхетаза вара, цундела цо элира: «Хьалдолу Эла, со бехке вац. Бехк боцу со а, сан халкъ а хӀаллакдийр ду Ахь ткъа?</verse>
				<verse number="5">ИбрахӀима ша элира соьга: „И зуда сан йиша ю“, — аьлла. Ткъа зудчо а элира: „И стаг сан ваша ву“, — аьлла. Дог а цӀена ду сан, куьйгашца хьарамло а ца йина ас».</verse>
				<verse number="6">ТӀаккха Дала оццу гӀенах элира Абу-Малике: «ХӀаъ, Суна хаьа, ахь деш дерг цӀенчу дагца хиллий. Цундела цу зудчух куьг а тоьхна, Сайна дуьхьал хьоьга къа ца даладайта Ас саций хьо.</verse>
				<verse number="7">ИбрахӀимна цуьнан зуда дӀало, хӀунда аьлча иза пайхамар ву, цо хьох лаьцна доӀа дича, хьо дийна вуьсур ву. Нагахь ахь Сарат ИбрахӀимна юха ца лахь, хьо а, берриг а хьан доьзал а лийр бу».</verse>
				<verse number="8">ШолгӀачу дийнахь Ӏуьйранна, хьалххе хьала а гӀаьттина, массо а шен ялхо схьакхайкхира Абу-Малика. Цо хилларг дерриг а дийцира царна — ялхой чӀогӀа кхерабелира.</verse>
				<verse number="9">Юха, ИбрахӀиме схьа а кхайкхина, элира Абу-Малика: «И хӀун ду ахь тхуна динарг? Ас хӀун вон динера хьуна? Сан пачхьалкх бехке хуьлуьйтур-кх ахь. Соьца ахь динарг деш ма ца хуьлу».</verse>
				<verse number="10">Абу-Малика хаьттира ИбрахӀиме: «ХӀун дара хьан дагахь ахь иза дечу хенахь?»</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха ИбрахӀима элира: «Суна моьттура, кхузахь цхьа а Делах ца кхоьру, Сарат шена йитархьама цхьаммо со вуьйр ву.</verse>
				<verse number="12">Иза билггала сан йиша ю, тхан дена кхечу нанас йина йолу, амма ас ялийна сан зуда а ю.</verse>
				<verse number="13">Ден цӀера дӀавигна, дуьнен чухула лела Дала со дӀахьажийча, ас элира Сарате: „Цхьа диканиг дехьа сан дуьхьа: вай миччанхьа кхаьчча а, хьо сан йиша ю алахь“».</verse>
				<verse number="14">ТӀаккха Абу-Малика Сарат юхаелира ИбрахӀимна, цул сов цо цунна уьстагӀий а, бежанаш а, леш а белира.</verse>
				<verse number="15">«Хьажал гонах, хӀара дерриг а сан латта ду, хьайна луъучохь Ӏе», — элира цо ИбрахӀиме.</verse>
				<verse number="16">Юха Сарате элира: «Ас хьан вешина ИбрахӀимна цхьа эзар дато шекхал цӀе йолу ахча делла, вайна хилла дегабаам дӀабаккхархьама. Хьо массарна а хьалха бехказа ю».</verse>
				<verse number="17">ИбрахӀима Деле доӀа дира, Абу-Маликана а, цуьнан зудчунна а, гӀарбашашна а дарба де аьлла. Массарна а дарба а хилла, церан доьзалхой хилира.</verse>
				<verse number="18">ХӀунда аьлча Сарат бахьана долуш хьалха Абу-Маликан цӀийнах болу массо а зударий доьзалхо ца хуьлуьйтуш бинера Везачу Эло.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="21">
				<verse number="1">Везачу Эло Сарат декъалйира, цуьнга Ша аьлларг кхочуш а дина.</verse>
				<verse number="2">ИбрахӀим къена воллушехь, Сарата, доьзалхочух а хилла, цунна кӀант вира. Дерриг а Дала аьллачу хенахь хилира.</verse>
				<verse number="3">Сарата винчу кӀентан цӀе Исхьакх (иза Ӏебархойн маттахь «диэлар» бохург ду) тиллира ИбрахӀима.</verse>
				<verse number="4">Исхьакхан бархӀ де кхаьчча, ИбрахӀима иза сунтвира, Дала шена тӀе ма-диллара.</verse>
				<verse number="5">ИбрахӀиман бӀе шо дара, цунна Исхьакх вича.</verse>
				<verse number="6">Сарата элира: «Дала суна елар делла, хӀора а, кхунах лаьцна хезнарг, соьца воьлуш хир ву».</verse>
				<verse number="7">Кхин а цо элира: «Хьан эр дара ИбрахӀиме: „Сарата бер дакхор ду“, — аьлла? Амма ас ИбрахӀимна, иза къена воллушехь, кӀант вина».</verse>
				<verse number="8">Исхьакх воккха хуьлуш вара. Иза вакхочуьра дӀавоккху хан тӀекхаьчча, ИбрахӀима доккха той хӀоттийра.</verse>
				<verse number="9">Саратна арахь, ца вешаш, воьлуш ИсмаьӀал гира. Иза гӀарбаш йолчу мисархочо ХӀажара ИбрахӀимна вина кӀант вара.</verse>
				<verse number="10">Сарата элира ИбрахӀиме: «Эккхае и гӀарбаш а, цуьнан кӀант а, хӀунда аьлча гӀарбашо винчу кӀанта сан кӀантаца Исхьакхаца тӀаьхьадисинарг доькъур дац!»</verse>
				<verse number="11">ИбрахӀим дог доьхна вара, шен кӀантана ИсмаьӀална сагатдеш.</verse>
				<verse number="12">Амма Дала элира цуьнга: «Са ма гатде хьайн кӀантана а, гӀарбашна а! Саратна мел луъург де! Хьан тӀаьхье Исхьакхах схьабевллачарах лерина хир ю,</verse>
				<verse number="13">амма Ас оцу гӀарбашан кӀантах а халкъ схьадолуьйтур ду, иза хьан кӀант волу дела».</verse>
				<verse number="14">Ӏуьйранна гӀаьттинчу ИбрахӀима, бепиг а, пӀаьлдиг чохь хи а делла, кӀантаца ХӀажар дӀахьажийра. ДӀайоьдуш, Беар-ШабаӀ цӀе йолчу яьссачу арахь тилаелира иза.</verse>
				<verse number="15">Кестта хи кхачийра. Цхьана кулла кӀел кӀант охьахаийра ХӀажара.</verse>
				<verse number="16">Ӏодан чӀу кхуссучул гена а яьлла, сецна, охьахиира иза. Хи а доцуш висина шен кӀант леш ган ца лаьара цунна, цундела, охьа а хиина, йоьлхуш Ӏара иза.</verse>
				<verse number="17">Далла хезира кӀант ша Ӏуьллучохь воьлхуш. Делан малико стигалара элира ХӀажаре: «ХӀун хилла, ХӀажар! Ма кхера! Везачу Элана хезна кӀант воьлхуш.</verse>
				<verse number="18">Яха а гӀой, куьг а лаций, дӀавига иза. Ас доккхачу халкъан да вийр ву цунах».</verse>
				<verse number="19">Дала ХӀажаран бӀаьргаш схьадиллира, тӀаккха цунна чохь хи долу гӀу гира. Цо, тӀеяхана, пӀаьлдиг хьала а буьзна, кӀантана хи делира.</verse>
				<verse number="20">КӀант воккха хуьлуш вара, цуьнца Дела вара. Яьссачу арахь Ӏаш волу ИсмаьӀал, говза Ӏад лелош волу таллархо хилира.</verse>
				<verse number="21">Нанас цунна Мисар-махкара зуда ялийра. Паран цӀе йолчу яьссачу арахь Ӏаш бара уьш.</verse>
				<verse number="22">Абу-Малика а, цуьнан тӀеман хьаькам волчу Пихала а элира ИбрахӀиме: «Ахь дечу массо а хӀуманна тӀехь хьоьца Дела ву.</verse>
				<verse number="23">Далла хьалха суна чӀагӀо е, хьо соьца а, сан берашца а, сан тӀаьхьенца а ямартло лелош хир вац алий. Со хьайца ма-хиллара, хьо соьца а, хӀокху хьо тӀевеанчу махкаца а къинхетаме хир ву алий».</verse>
				<verse number="24">ИбрахӀима жоп делира: «ЧӀагӀо йо ас».</verse>
				<verse number="25">ТӀаккха ИбрахӀима Абу-Малике бехк баьккхира, цуьнан ялхоша хи чохь долу гӀу дӀалаьцна аьлла.</verse>
				<verse number="26">Абу-Малика элира: «Ахь соьга иза ца аьлла, ткъа таханлера де тӀекхаччалц суна и ца хезна!»</verse>
				<verse number="27">ТӀаккха ИбрахӀима, уьстагӀий а, бежанаш а далийна, Абу-Маликана делира. Иштта ИбрахӀима а, Абу-Малика а барт бира.</verse>
				<verse number="28">Кхин ворхӀ жий жа юкъара дӀакъастийра цо.</verse>
				<verse number="29">«ВорхӀ жий дӀакъасторан хӀун маьӀна ду хьан?» — аьлла, хаьттира Абу-Малика.</verse>
				<verse number="30">ИбрахӀима жоп делира: «Нагахь ахь хӀара ворхӀ уьстагӀ дӀаэцахь, ас и гӀу яккхаран тоьшалла хир ду иза».</verse>
				<verse number="31">Цундела тиллина цу гӀунан цӀе Беар-ШабаӀ («чӀагӀонан гӀу» бохург ду иза) аьлла, цу шиммо оцу меттехь шайна юкъахь чӀагӀо йина дела.</verse>
				<verse number="32">Беар-ШабаӀна уллохь барт бина чул тӀаьхьа, Абу-Малик а, цуьнан тӀеман хьаькам Пихал а ПӀелаштам-махка юхавеара.</verse>
				<verse number="33">Беар-ШабаӀна гена доццуш тамариск цӀе йолу дитт а доьгӀна, цу меттигана уллохь Везачу Эле, гуттар а волчу Деле кхайкхира ИбрахӀима.</verse>
				<verse number="34">ПӀелаштам-махкахь, тӀевеана стаг а хилла, дуккха а йолчу хенахь Ӏийра иза.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="22">
				<verse number="1">Цул тӀаьхьа, ИбрахӀиман Шех тешар зен а лиъна, Дала элира: «ИбрахӀим!» ИбрахӀима жоп делира: «Со ладугӀуш ву».</verse>
				<verse number="2">ТӀаккха Дала элира: «Хьайн цхьаъ бен воцу, хьайна дукхавезаш волу кӀант Исхьакх, Мори-махка дӀа а вигий, Ас гойтун болчу лома тӀехь, вен а вей, сагӀина вагаве».</verse>
				<verse number="3">Ӏуьйранна хьалххе хьала а гӀаьттина, шен вираца, Исхьакх а, ши ялхо а эцна, сагӀа деш даго дечиг а даьккхина, Дала шега гӀо аьллачу метте дӀавахара ИбрахӀим.</verse>
				<verse number="4">КхозлагӀчу дийнахь, корта хьала а айина, дӀахьаьжначу ИбрахӀимна геннахь шаьш доьлху меттиг гира.</verse>
				<verse number="5">ИбрахӀима элира шен ялхошка: «Вираца кхузахь совца, ткъа со а, кӀант а, цига дӀа а вахана, Далла лерина гӀуллакх а дина, юхавогӀур ву».</verse>
				<verse number="6">СагӀа доккхуш даго кечдина дечиг Исхьакхан белш тӀе а диллина, урс а, цӀе а схьаийцира ИбрахӀима. Цхьаьний дӀаволавелира и шиъ.</verse>
				<verse number="7">Шен дега ИбрахӀиме элира Исхьакха: «Дада!» «ХӀун боху ахь, сан кӀант?» — хаьттира ИбрахӀима. «Суна дечиг а, цӀе а го, — элира Исхьакха, — ткъа сагӀа доккхуш вай багор болу Ӏахар мичахь бу?»</verse>
				<verse number="8">«Дала Ша боуьйтур бу сагӀа даккха Ӏахар, сан кӀант», — элира ИбрахӀима. КхидӀа а цхьаьний дӀавахара и шиъ.</verse>
				<verse number="9">Дала билгалъяьккхинчу метте схьакхечира уьш. ИбрахӀима сагӀа даккха меттиг кечйира, тӀулгаш а дехкина. Царна тӀе дечиг а диллина, вехка а вихкина, цу дечигна тӀе шен кӀант Исхьакх охьавиллира цо.</verse>
				<verse number="10">Урс схьа а эцна, шен кӀантана иза хьакха кечвелира иза.</verse>
				<verse number="11">Амма Везачу Элан Малико сацийра ИбрахӀим, стигалара охьа а кхайкхина: «Ва ИбрахӀим!» «Со кхузахь ву», — аьлла, жоп делира ИбрахӀима.</verse>
				<verse number="12">Малико элира: «Ма велахь кӀант, цунна зе ма делахь. ХӀинца го Суна, хьо Дела лоруш а, Цунна муьтӀахь а вуйла. Суна го, хьайн цхьаъ бен воцу кӀант Сан дуьхьа ахь ца кхоор».</verse>
				<verse number="13">ДӀахьаьжначу ИбрахӀимна гира, коьллех маӀаш а тийсалуш, лаьтта ка. ТӀевахана, схьа а лаьцна, шен кӀентан метта Далла леринчу сагӀина и ка бийра цо.</verse>
				<verse number="14">Цу меттигна ИбрахӀима «Везачу Эло оьшург ло» аьлла, цӀе тиллира. Тахана а олу наха: «Кху лома тӀехь Везачу Эло оьшург ло», — олий.</verse>
				<verse number="15">Юха а ИбрахӀиме стигалара кхайкхира Везачу Элан Малик:</verse>
				<verse number="16">«Сайх дуй буу Ас, — боху Везачу Эло, — Сан дуьхьа хьайн цхьаъ бен воцу кӀант ца кхоош, ахь иза дина,</verse>
				<verse number="17">цундела Ас хьо декъалвийр ву. Стигалахь долу седарчий санна, хӀордан берда тӀехь йолу гӀум санна, дукха тӀаьхье лур ю Ас хьуна. Цара шайн мостагӀийн гӀаланаш схьайохур ю.</verse>
				<verse number="18">Хьан тӀаьхьенехула дуьнен чуьра дерриг а халкъаш декъала хир ду. И дерриг а хьо Суна муьтӀахь хиларна дийр ду Ас хьуна».</verse>
				<verse number="19">ИбрахӀим шен ялхой болчу юхавеара. Уьш цхьаьний Беар-ШабаӀе схьабаьхкира. ИбрахӀим вехаш кхин а Ӏийра цигахь.</verse>
				<verse number="20">И дерриг а хиллачул тӀаьхьа ИбрахӀиме хаам кхечира: «Хьан вешин Нахьиран а, цуьнан зудчун Малкин а хӀинца бераш ду.</verse>
				<verse number="21">Дуьххьарлера кӀант ӀуцӀа ву, шолгӀа кӀант Буз ву, кхозлагӀа кӀант — Къамуал, Араман да ву.</verse>
				<verse number="22">Кхин а Хашад а, Хьоза а, Пилдаш а, Идалп а, Бетаал а ву».</verse>
				<verse number="23">Бетаал Ребикхин да ву. Малка оцу бархӀ кӀентан нана ю, ткъа ИбрахӀиман ваша Нахьир церан да ву.</verse>
				<verse number="24">Нахьиран кхин виъ кӀант ву, цуьнан гӀарбаша Реумис вина — Тебахь а, Гахьам а, Тахьаш а, МаӀха а.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="23">
				<verse number="1">Сарат бӀе ткъе ворхӀ шарахь ехира дуьнен чохь.</verse>
				<verse number="2">Иза кхелхира КанаӀан-махкахь йолчу Кхиръят-АрбаӀ цӀе йолчу (хӀинца Хьеврон олучу) гӀалахь. Сарат кхелхича, ИбрахӀима, четар чу а веана, белхар хӀоттийра.</verse>
				<verse number="3">Шен елла зуда Ӏад а йитина, хьетахошца къамел дан вахара иза.</verse>
				<verse number="4">«Со шуна юккъехь тӀевеана стаг ву, со кхузара а вац. Зуда дӀаерзо меттиг яц сан тахана, цхьажимма латта дохкийша суна зуда дӀаерзо», — элира цо цу нахе.</verse>
				<verse number="5">Хьетахоша жоп делира ИбрахӀиме:</verse>
				<verse number="6">«Эла, хьо сийлахьчу элех цхьаъ ву тхуна юкъахь. Хьайн елларг тхан тоьллачу къубба чохь дӀайолла. Хьоьга цигахь зуда дӀайоллийта тхох цхьа а дуьхьал хир вац хьуна».</verse>
				<verse number="7">ИбрахӀим, хьала а гӀаьттина, цу мехкан нахана хьалха охьатаьӀира.</verse>
				<verse number="8">Цо элира цаьрга: «Нагахь шу билггал сан зуда дӀайолла суна гӀо дан лууш делахь, сан цӀарах ЦӀохьаран кӀантаца Ӏепронаца къамел дейша.</verse>
				<verse number="9">Цуьнан латта чекхдоллучохь, шех Махпела олу меттехь йолу хьех эца лаьара суна. Цунах буьззина болу мах а лур бара ас, ткъа латта сайн зуда дӀайолла ас оьцуш хиларан шу тешаш хила а лаьара суна».</verse>
				<verse number="10">Ӏепрон хьетахошна юкъахь хиина Ӏаш вара. ГӀалин кевнна хьалха баьхкинчу массо а нахана юкъара цо жоп делира ИбрахӀимна:</verse>
				<verse number="11">«ХӀан-хӀа, эла, хӀокху сайн вежаршна хьалха ас дӀало хьуна и латта а, цу тӀехь йолу хьех а, хьайн зуда цу чохь хьоьга дӀайоллийтархьама».</verse>
				<verse number="12">Кхин цкъа а хьетахошна хьалха охьатаьӀира ИбрахӀим.</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха, массарна а хезаш, цо Ӏепроне элира: «Оцу лаьттах хьуна буьззина мах бала лаьа суна. Соьгара ахча дӀаэцахьара ахь, тӀаккха сайн зуда дӀаюллур яра ас».</verse>
				<verse number="14">Ӏепрона ИбрахӀимна жоп делира:</verse>
				<verse number="15">«ЛадогӀахь соьга, эла: диъ бӀе шекхал дато ахча хьуна а, суна а хӀумма а йоцург ю! Хьайн елларг дӀайоллахь».</verse>
				<verse number="16">Ӏепрона аьллачунна реза а хилла, хьетахошна хьалха лаьттах цӀе тоьхна мах дӀабелира ИбрахӀима. Цо делларг диъ бӀе шекхал дато ахча дара (шекхал совдегаршна юкъахь лелош долчу барамехь дара).</verse>
				<verse number="17">Иштта Ӏепронан латта кхечуьнан дола делира. Мамари олучу меттигна уллохь, Махпелахь дара и латта.</verse>
				<verse number="18">ИбрахӀиман дола делира латта а, цу тӀера хьех а, дитташ а. ИбрахӀиман а, Ӏепронан а хиллачу механ тешаш хилира гӀалин кевна хьалха баьхкина массо а хьетахой.</verse>
				<verse number="19">Цул тӀаьхьа ИбрахӀима шен зуда Сарат оцу лаьтта тӀехь йолчу хьеха чохь дӀайоьллира. И меттиг КанаӀан-махкахь йолчу Мамарина (хӀинца Хьеврон) гена йоццуш яра.</verse>
				<verse number="20">ИбрахӀима хьетахошкара латта а, цу тӀера хьех а эцна, цунах нах дӀабухку меттиг йира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="24">
				<verse number="1">ИбрахӀим къанвеллера, дуккха а шераш дара цуьнан. Везачу Эло къобалвора иза массо а цуьнан гӀуллакхаш тӀехь.</verse>
				<verse number="2">ИбрахӀиман долахь долчунна тӀехь Ӏуналла деш цхьа тешаме ялхо вара. Иза схьа а кхайкхина, ИбрахӀима элира: «Сан кога кӀел куьг а диллий,</verse>
				<verse number="3">стигалан а, Лаьттан а Дела волчу Везачу Элана хьалха суна чӀагӀо е, КанаӀан-махкара цхьа а йоӀ сан кӀанте ялайойтур яц алий. Вай кху халкъана юкъахь Ӏаш ду, амма канаӀанхо ма ялаяйталахь цуьнга.</verse>
				<verse number="4">Сан махка, сан гергарчу нахана тӀе а гӀой, цигахь Исхьакхана зуда а лахий, иза а ялош схьавола».</verse>
				<verse number="5">Ялхочо хаьттира цуьнга: «Оцу зудчунна соьца кху махка ян ца лаахь, хьан кӀант хьо схьаваьллачу махка дӀавига везий ас?»</verse>
				<verse number="6">«ХӀан-хӀа! И дан мегар дац! — элира ИбрахӀима. — Ма вига сан кӀант цига.</verse>
				<verse number="7">Стигаларчу Дала, Везачу Эло валийна со сайн ден цӀийнера, со винчу махкара кху лаьтта тӀе. ХӀара латта сан доьзалан хир ду аьлла, чӀагӀо йинчу Везачу Эло Шен малик дохуьйтур ду хьуна хьалха даьккхина, хьоьга сан кӀантана цигара йолу зуда харжийта.</verse>
				<verse number="8">Нагахь йоӀ хьуна тӀаьхьа схьаян реза ца хилахь, айхьа суна йинчу чӀагӀонах паргӀат ву хьо, амма сан кӀант цига дӀа ма вига».</verse>
				<verse number="9">Ялхочо, шен эла волчу ИбрахӀиман кога кӀел шен куьг а диллина, чӀагӀо йира тӀедиллинарг кхочушдан.</verse>
				<verse number="10">ИбрахӀиман итт эмкал схьа а эцна, дуккха а тайп-тайпана цуьнгара долу деза совгӀаташ а кечдина, Арам-НахӀарайм-махкахь йолчу Нахьир Ӏийначу гӀала вахара ялхо.</verse>
				<verse number="11">Суьйранна, зударий хи тӀе боьлхучу хенахь, гӀалина арахьа, шовданан йистехь эмкалш голаш тӀе охьайийшийра цо.</verse>
				<verse number="12">«Веза Дела, — аьлла, дийхира ялхочо, — Хьо сан элан ИбрахӀиман Дела ву, цунах къинхетам а бай, таханлерачу дийнахь цуьнан кӀантана зуда каро аьтто бехьа сан!</verse>
				<verse number="13">ХӀокху шовданна йистехь лаьтташ ву со. ГӀалара мехкарий богӀу кхуза хи эца.</verse>
				<verse number="14">Исхьакхана леринарг муьлха ю хьоьжуш, цхьана билгалоне сатуьйсуш Ӏа со. Ас эр ду йоӀе: „Хьайн кхаба охьаерзаехьа, хи мер дара ас“. Нагахь цо: „Мала ахь, ас хьан эмкалшна а лур ду хи“, — алахь, суна хуур ду, иза цунна леринарг юйла а, Хьо сан элах къинхетам беш вуйла а».</verse>
				<verse number="15">Цуьнан къамел чекх ца даьллера, ИбрахӀиман вешин Нахьиран а, цуьнан зудчун Малкин а кӀентан Бетаалан йоӀ Ребикха, белш тӀе йиллина кхаба а яхьаш, шовданна тӀе еача.</verse>
				<verse number="16">Иза, чӀогӀа хаза а йолуш, боьрша стаг шех кхетаза йоӀстаг яра. Шовда долчу чу а йоьссина, шен кхаба хьала а юьзна, юхаеара иза.</verse>
				<verse number="17">Цунна тӀе а вахана, ялхочо элира: «Хьайн кхаби чуьра хи малийтахьа соьга», — аьлла.</verse>
				<verse number="18">Ребикхас, цу сохьта шен белша тӀера кхаба охьа а яьккхина, хи малийтира цуьнга: «Мала хьайна», — аьлла.</verse>
				<verse number="19">Иза хи мелла ваьлча, йоӀа элира: «Ас тоъал хьан эмкалшна а малор ду хи».</verse>
				<verse number="20">Шен кхаби чуьра дерриг а хи эмкалшна дӀа а доьттина, юха, едда яхана, кхин а хи а деана, массо а эмкална хи малийра цо.</verse>
				<verse number="21">Ялхо, вист а ца хуьлуш, хьоьжура цуьнга, шен доӀина Везачу Эло жоп а делла, ша арабаьккхина некъ кхочушхиллий хаа лууш.</verse>
				<verse number="22">Эмкалш хи мелла евлча, цо Ребикхина ах шекхал йолу, мерах юллу дашо чӀуг а, куьйгех буллу йозаллина итт шекхал болу дашо ши хӀоз а белира.</verse>
				<verse number="23">Юха цо йоӀе хаьттира: «Хьо хьенан ю? Хьан ден хӀусамехь тхуна буьйса яккха меттиг хир ярий?» — аьлла.</verse>
				<verse number="24">«Малкас Нахьирна винчу Бетаалан йоӀ ю со», — аьлла, жоп делира Ребикхас.</verse>
				<verse number="25">Юха тӀетуьйхира: «Хьан эмкалшна ча а ду тхоьгахь, шуна буьйса яккха меттиг а хир ю».</verse>
				<verse number="26">Везачу Элана хастам беш, лохха охьатаьӀира ялхо.</verse>
				<verse number="27">Цо элира: «Хастам бу Везачу Элана, сан элан ИбрахӀиман Далла, цуьнца тешаме а, дика а волу. Цо валийна со сан элан доьзалера йолчу йоӀана тӀе».</verse>
				<verse number="28">Сихха дӀа а яхана, Ребикхас шен цӀахь болчаьрга дийцира хиллачух лаьцна.</verse>
				<verse number="29">29-30 Ребикхин Лабан цӀе йолуш ваша вара. ЙоьӀан дешнаш а хезна, цуьнан карахь чӀуг а, ши хӀоз а гина, араиккхина, шовда долчу дӀахьаьдира иза. И стаг шен эмкалшна уллохь гӀу йолчохь лаьтташ вара.</verse>
				<verse number="30">***</verse>
				<verse number="31">Лабана элира: «Марша вогӀийла тхо долчу, Везачу Эло декъалвинарг! Хьо хӀунда лаьтта кхузахь, арахь? Ас хьуна чоь а, хьан эмкалшна меттиг а кечйина».</verse>
				<verse number="32">ИбрахӀиман ялхо цӀа чу велира. Лабана гӀо дира цунна эмкалш дӀаӀалашъеш, царна ча а, баа хӀоъ а белира. Ялхочунна а, цуьнца болчу нахана а когаш била хи а делира цо.</verse>
				<verse number="33">Цул тӀаьхьа Лабана царна яа хӀума елира, амма ялхочо ца йиира: «Ас юур яц айса деанарг дӀадийццалц», — аьлла. «Дийцахьа», — элира Лабана.</verse>
				<verse number="34">«Со ИбрахӀиман ялхо ву, — элира ялхочо. —</verse>
				<verse number="35">Везачу Эло массо а хӀуманна тӀехь декъалвина ву сан эла, цундела иза хьалдолу стаг а хилла дӀахӀоьттина. Везачу Эло ИбрахӀимна дуккха а жа а, бежанаш а, деши а, дети а, ялхой а, гӀарбашаш а, эмкалш а, варраш а елла.</verse>
				<verse number="36">Сан элан зудчо Сарата, ханна йоккха йоллушехь, кӀант вира. Шен долахь мел дерг оцу кӀантана дӀаделла сан эло.</verse>
				<verse number="37">Цо соьга чӀагӀо яйтира: „Сан кӀанте канаӀанхо ма ялаяйталахь. Суна ца лаьа цо канаӀанхочун йоӀ яло, вай царна юккъехь Ӏаш делахь а.</verse>
				<verse number="38">ЧӀагӀо е суна, сан ден махка, сан доьзална тӀе а вахана, сан кӀантана айхьа зуда хоржур ю алий“.</verse>
				<verse number="39">Ас элира цуьнга: „Цу зудчунна соьца схьаян ца лаа а мега“, — аьлла.</verse>
				<verse number="40">Амма эло соьга элира: „Со Шена хьалха лелачу Везачу Эло Шен малик доуьйтур ду хьан аьтто бан, тӀаккха сан кӀантана сан ден гергарчу нахана юкъара зуда карор ю хьуна.</verse>
				<verse number="41">Сан ден гергара нах болчу хьо веача, сан кӀантана зуда яла уьш реза ца хилахь, айхьа йинчу чӀагӀонах паргӀат а хир ву хьо“.</verse>
				<verse number="42">Тахана цу шовданна тӀе а веана, ас элира: „Веза Эла, сан элан ИбрахӀиман Дела, ас арабаьккхина некъ кхочушхилийтахьара Ахь.</verse>
				<verse number="43">Со, шовданна улло а хӀоьттина, лаьттар ву. Хи дан йоӀ еача, ас эр ду: ‘Соьга хьайн кхаби чуьра хи малийтахьа’, — аьлла.</verse>
				<verse number="44">Соьга: ‘Мала ахь, ас хьан эмкалшна а лур ду хи’, — аьлла, жоп делла йоӀ Везачу Эло сан элан кӀантана хаьржина зуда хилийталахь“.</verse>
				<verse number="45">Со доӀа дина валале шовданна тӀе хи дан еара Ребикха. Цуьнан белша тӀехь кхаба яра. Цо, шовда долчу чу а йоьссина, хи схьаийцира. Ас цуьнга хи дийхира.</verse>
				<verse number="46">Сиха, кхаба охьа а яьккхина, цо суна хи делира, юха элира: „Мала ахь, ас хьан эмкалшна а лур ду хи“. Ас хи мелира, цо сан эмкалшна а малийра хи.</verse>
				<verse number="47">Ас цуьнга хаьттира: „Хьо хьенан ю?“ Цо жоп делира: „Малкас Нахьирна винчу Бетаалан йоӀ ю со“. ТӀаккха ас цунна мерах чӀуг а оьллира, пхьаьрсаш тӀе ши хӀоз а боьллира.</verse>
				<verse number="48">Юха, корта охьа а таӀийна, Везачу Элана, сайн элан ИбрахӀиман Далла, хастам бира ас. Цо нийсачу новкъа кхуза схьавалийна со, сан элан вешин кӀентан йоӀ сан элан кӀантана ялорхьама.</verse>
				<verse number="49">Ткъа хӀинца алийша соьга, сан элах къинхетам а бина, цуьнца нийсо а лелийна, шайн йоӀ схьаяла реза хир дуй шу? Алийша, суна дан дезарг хаийтархьама».</verse>
				<verse number="50">ТӀаккха Лабана а, Бетаала а элира: «Тхуна го и гӀуллакх Везачу Элера хилар, цундела оха хӀун эр ду цунна дуьхьал?</verse>
				<verse number="51">ХӀара Ребикха ю хьуна, иза, схьа а эций, дӀайига. Хьан элан кӀанте маре гӀор иза, Везачу Элана лууш ма-хиллара».</verse>
				<verse number="52">И дешнаш хезча, ИбрахӀиман ялхо лаьтта охьакхаччалц Везачу Элана охьатаьӀира.</verse>
				<verse number="53">Цо Ребикхина ша деана совгӀаташ: хаза духарш, дашо а, дато а хӀуманаш дӀаелира. Иштта цуьнан нанна а, вешина а совгӀаташ делира.</verse>
				<verse number="54">Цул тӀаьхьа ялхо а, цуьнца болу нах а дууш а, молуш а Ӏийна, цигахь буьйса йоккхуш севцира. ШолгӀачу дийнахь Ӏуьйранна хьалххе хьала а гӀевттина, цара элира: «ХӀинца тхайн эла волчу дӀадаха деза тхо».</verse>
				<verse number="55">Ребикхин нанас а, вашас а элира: «Ребикха иттех дийнахь тхоьца йита, тӀаккха дӀагӀор шу».</verse>
				<verse number="56">Амма ялхочо элира: «Со сеца ма вейша. Везачу Элана сан некъ кхочушхила лиъна, сайн эла волчу дӀавахийтийша со».</verse>
				<verse number="57">Цара элира: «Ребикхе схьа а кхайкхина, цунна хӀун лаьа хоттур вай».</verse>
				<verse number="58">Ребикхе, схьа а кхайкхина, хаьттира цара: «Хьуна хӀокху стагаца хӀинцца дӀаяха лаьий?» «ХӀаъ, лаьа», — аьлла, жоп делира цо.</verse>
				<verse number="59">Цара ИбрахӀиман ялхочуьнца а, цуьнан нахаца а дӀаяха пурба делира шайн йишина Ребикхина. Цуьнца цхьаьна иза кхаьбна йолу ялхо а яхара.</verse>
				<verse number="60">Ребикха дӀайоьдуш цуьнга элира: «Тхан йиша, эзарнаш а, эзарнаш а адамаш схьадовлийла хьох, хьан тӀаьхьенаша шайн мостагӀийн гӀаланаш схьайохийла!»</verse>
				<verse number="61">Ребикха а, цуьнан ялхой а, эмкалш тӀе а хевшина, ИбрахӀиман ялхочунна тӀаьхьа дӀабахара. Ребикха схьа а эцна, юханехьа новкъавелира ялхо.</verse>
				<verse number="62">Цу хенахь Беар-лахьай-рои цӀе йолчу меттера дӀа а вахана, НегӀабехь Ӏаш вара Исхьакх.</verse>
				<verse number="63">Цкъа сарахь, ойла а еш, волавала аравелира Исхьакх. Корта хьалаайича, цунна геннахь йогӀу эмкалш гира.</verse>
				<verse number="64">ДӀахьаьжча, Исхьакх а гина, эмкал тӀера чуиккхира Ребикха.</verse>
				<verse number="65">Цо ялхочуьнга хаьттира: «Аренгахула вайна дуьхьалвогӀу жима стаг мила ву?» «Иза сан элан кӀант ву», — жоп делира ялхочо. Ребикхас, шен кортали схьа а эцна, юьхь къайлаяьккхира.</verse>
				<verse number="66">Ялхочо дерриге а ша диначух лаьцна Исхьакхана дийцира.</verse>
				<verse number="67">Исхьакха шен ненан четар кӀел дӀайигира Ребикха. Цунах Исхьакхан зуда хилира. Исхьакхана иза чӀогӀа езаелира, шен еллачу ненах болу сингаттам а байбелира цунна.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="25">
				<verse number="1">ИбрахӀима шолгӀа а зуда ялийра. Цу зудчун цӀе Къитурат яра.</verse>
				<verse number="2">Къитурата винера Зимран а, Якхешан а, Медан а, Мадани а, Ишбакх а, Шуахь а.</verse>
				<verse number="3">Якхешан Шебин а, Дадданан а да вара. Дадданах схьабевллера ашурхой а, летушхой а, леумхой а.</verse>
				<verse number="4">Ӏейпа, Ӏайпар, Хьанах, АвидаӀ, ЭлдаӀа цӀераш а йолуш, кӀентий бара Маданин. И берриге а кӀентий ИбрахӀимах а, Къитуратах а схьабевлла бара.</verse>
				<verse number="5">Шен долахь дерг дерриге а ИбрахӀима Исхьакхана дитира.</verse>
				<verse number="6">Ткъа шен гӀарбашаша бинчу кӀенташна совгӀаташ а делла, Исхьакхах уьш дӀа а къастийна, малхбалехьа дӀахьовсийра ИбрахӀима.</verse>
				<verse number="7">ИбрахӀим бӀе кхузткъе пхийтта шарахь вехира.</verse>
				<verse number="8">Эххар а иза кхелхира. Дуьнен чохь дуккха а хан яьккхина, дика а ваьхна, кхелхинчул тӀаьхьа шен дайх дӀакхийтира иза.</verse>
				<verse number="9">КӀенташа Исхьакха а, ИсмаьӀала а Мамари олучу меттигна уллохь, Махпела цӀе йолчу хьеха чохь, ЦӀохьаран кӀентан, хьетахо волчу Ӏепронан, лаьтта тӀехь дӀавоьллира иза.</verse>
				<verse number="10">ИбрахӀима хьетахошкара эцна латта а, хьех а яра иза. Шен зудчунна Саратна уллохь дӀавоьллира ИбрахӀим.</verse>
				<verse number="11">ИбрахӀим кхелхинчул тӀаьхьа Дала Исхьакх декъалвира. Беар-лахьай-рои цӀе йолчу меттехь Ӏаш вара Исхьакх.</verse>
				<verse number="12">Саратан ялхочо, мисархочо ХӀажара ИбрахӀимна винчу кӀентан ИсмаьӀалан тӀаьхье хӀара ю.</verse>
				<verse number="13">Иштта ю церан цӀераш: дуьххьара винарг Набуяти, цул тӀаьхьа Къедар, Адбаал, Мибасам,</verse>
				<verse number="14">МишмаӀ, Дума, Маси,</verse>
				<verse number="15">Хьадид, Тейма, Етар, Напуши, Къедима.</verse>
				<verse number="16">Уьш ИсмаьӀалан кӀентийн цӀераш ю. Шийтта тайпанан баьччанийн а, уьш баьхначу меттигийн а цӀераш а ю уьш.</verse>
				<verse number="17">Цхьа бӀе ткъе вуьрхӀитта шарахь а ваьхна, кхелхина ИсмаьӀал шен дайх дӀакхийтира.</verse>
				<verse number="18">Цуьнан тӀаьхьенаш Хьавил-лаьтта тӀера Шур-гӀалина тӀекхаччалц ехаш яра. Мисар-мехкан дозанца йолу Шур-гӀала Ашур-махка боьдучу новкъахь лаьттара. Шайн вежаршца бертахь а боцуш, бехаш бара уьш.</verse>
				<verse number="19">ХӀара ду Исхьакхан тӀаьхьенах хилларг. ИбрахӀиман кӀант вара Исхьакх.</verse>
				<verse number="20">Исхьакхан шовзткъа шо кхаьчча, цо Падан-Арама цӀе йолчу меттера Ребикха ялийра. Иза арамхо волчу Бетаалан йоӀ а, арамхочун Лабанан йиша а яра.</verse>
				<verse number="21">Исхьакхан зуда бер ца хуьлуш яра. Амма Исхьакха Везачу Эле шен зудчух лаьцна дехча, Везачу Эло цуьнан доӀина жоп а делла, Ребикха доьзалхочух хилира.</verse>
				<verse number="22">Цуьнан кийрара бераш кест-кеста тохалора. Везачу Эле, доӀа а дина, хаьттира Ребикхас: «ХӀара хӀун ду соьца хуьлуш дерг?» — аьлла.</verse>
				<verse number="23">Везачу Эло жоп делира цунна: «Ши тукхам ду хьан кийрахь, ши халкъ схьадер ду хьох, амма и шиъ декъалур ду. Цхьаъ вукхул онда хир ду, воккхаха верг жимаха волчунна гӀуллакх деш хир ву».</verse>
				<verse number="24">Хан тӀекхаьчча, Ребикхас шала ши кӀант вира.</verse>
				<verse number="25">Дуьххьарлераниг цӀиэн вара, дерриг а дегӀа тӀехь чоьш а долуш. Цуьнан цӀе Ӏесав тиллира (иза «чоьшдерг» бохучух тера ду).</verse>
				<verse number="26">ШолгӀаниг дуьнен чу волуш, Ӏесаван кӀажа а лаьцна схьавелира. Цундела цуьнан цӀе Якъуб тиллира (и ду «КӀажалоцург» бохург). И шиъ винчу хенахь Исхьакхан кхузткъа шо дара.</verse>
				<verse number="27">КӀентий баккхий хилира. Говза таллархо волчу Ӏесаван аренашкахь хан йоккхуш самукъадолура. Якъуб тийна, таьӀна стаг вара, дукхаха йолу хан шен четара кӀелахь йоккхура цо.</verse>
				<verse number="28">Исхьакхана Ӏесав дукха везара, хӀунда аьлча Ӏесава дахьаш долу экханан жижиг тайнера цунна. Ткъа Ребикхина Якъуб дукхавезара.</verse>
				<verse number="29">Цкъа кӀадвелла, мацалла гӀора а доцуш, талла ваханчуьра цӀа веара Ӏесав. Якъуб цу хенахь кхоьш кхехкош вара.</verse>
				<verse number="30">Ӏесава элира Якъубе: «Со мацалла гӀелвелла ву, и цӀен кхоьш лохьа суна». (Цундела аьлла Ӏесавах «Эдом», ткъа иза «цӀениг» бохург ду.)</verse>
				<verse number="31">Амма Якъуба элира: «Делахь, суна дуьххьара дуьнен чу ваьллачун бакъо схьало».</verse>
				<verse number="32">«Со мацалла леш ву, нагахь со лахь, ас хӀун до сайн хьалха дуьнен чу ваьллачун бакъонах?», — элира Ӏесава.</verse>
				<verse number="33">Якъуба элира: «Цкъа хьалха дуй баа». Якъубана дуй а биъна, шен хьалха дуьнен чу ваьллачун бакъо йоьхкира Ӏесава.</verse>
				<verse number="34">ТӀаккха Якъуба Ӏесавана кхоьх йина яа хӀума а, бепиг а делира. Ӏесав, яа а йиъна, мала а мелла, дӀавахара. Иштта атта шен хьалха дуьнен чу ваьллачун бакъо дӀаелира цо.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="26">
				<verse number="1">ИбрахӀим дийна волчу хенахь хилларг санна, мацалла хӀоьттира цу махкахь. Исхьакх ГӀарар-гӀала пӀелаштамхойн паччахьна Абу-Маликана тӀе вахара.</verse>
				<verse number="2">Везачу Эло элира Исхьакхе: «Мисар-махка ма гӀо, Ас хьайга Ӏе аьллачу лаьтта тӀехь Ӏе.</verse>
				<verse number="3">Цу лаьтта тӀехь Ӏе, Со хьоьца хир ву, Ас хьо декъалвийр ву. Хьуна а, хьан тӀаьхьенна а дӀалур ду Ас дерриге а хӀара латтанаш. Хьан дена ИбрахӀимна Айса йина чӀагӀо кхочуш а йийр ю.</verse>
				<verse number="4">Хьан тӀаьхье дебор ю Ас, стигалара седарчий санна. Хьуна а, хьан тӀаьхьенна а дӀалур ду Ас дерриге а хӀара латтанаш. Хьан тӀаьхьенехула дуьнен чуьра массо а халкъаш декъала хир ду.</verse>
				<verse number="5">Ас иза дийр ду хьан ден ИбрахӀиман дуьхьа, хӀунда аьлча иза вара Ас аьлларг деш а, Сан хьехамаш а, весеташ а, омранаш а кхочушдеш а».</verse>
				<verse number="6">Исхьакх ГӀарар-гӀалахь ваха хиира.</verse>
				<verse number="7">Цуьнан зуда Ребикха хаза яра. Цигара божарий цунах лаьцна Исхьакхе хетта буьйлабелча, цо элира: «Иза сан йиша ю». Ребикха шайна йитархьама цара ша верна кхоьрура Исхьакх.</verse>
				<verse number="8">Дуккха а хан яьллера Исхьакх цигахь Ӏаш волу. Цкъа корехула чухьаьжначу Абу-Маликана гира Исхьакха шен зуда Ребикха хьоьстуш.</verse>
				<verse number="9">Исхьакх тӀе а кхайкхина, Абу-Малика элира: «Иза хьан зуда ю, тхоьга йиша ю хӀунда аьлла ахь?» Исхьакха жоп делира: «Со кхоьрура цуьнан дуьхьа ахь со верна».</verse>
				<verse number="10">«И хӀун ду ахь тхуна динарг? — хаьттира Абу-Малика. — Масала, тхох цхьаъ хьан зудчух кхеттехь, тхо бехке хуьлуьйтур ма дара ахь».</verse>
				<verse number="11">Абу-Малика шен халкъе омра дира: «ХӀокху стагах а, кхуьнан зудчух а куьг Ӏоьттинарг къинхетам боцуш вуьйр ву», — аьлла.</verse>
				<verse number="12">Исхьакха, цу лаьтта тӀехь къа а хьегна, дӀадийначул бӀозза сов ялта гулдира цу шарахь, хӀунда аьлча Везачу Эло декъалвина вара иза.</verse>
				<verse number="13">Цуьнан дуккха а хьал вовшахкхийтира. Бахам тӀаьхь-тӀаьхьа алсамболуш, иза чӀогӀа вехаш стаг хилира.</verse>
				<verse number="14">Цуьнан дуккха а даьхни а, ялхой а бара, цундела пӀелаштамхой хьоьгура цунах.</verse>
				<verse number="15">Хьалха ИбрахӀима шен ялхошца яьхна ерриг а гӀунаш, тӀе латта а хьоькхуш, дӀаюкъура цара.</verse>
				<verse number="16">Абу-Малика элира Исхьакхе: «Тхо долчуьра дӀагӀо, хӀунда аьлча тхол дуккха а нуьцкъала хилла дӀахӀоьттина хьо».</verse>
				<verse number="17">Цигара дӀа а вахана, ГӀарар-гӀала лаьттачу тогӀи чохь шен четарш а хӀиттийна, ваха хиира Исхьакх.</verse>
				<verse number="18">Дуккха а шераш хьалха ИбрахӀима алссам гӀунаш яьхнера, амма иза веллачул тӀаьхьа пӀелаштамхоша дӀаюькънера уьш, тӀе латта а тесна. Исхьакха, уьш схьа а яьстина, шен дас хьалха яьхна цӀераш техкира царна.</verse>
				<verse number="19">Исхьакхан ялхоша тогӀи чохь а яьккхира гӀу, цу чуьра арадолуш жима татол дара.</verse>
				<verse number="20">Амма ГӀарар-арахь даьхни дажочу Ӏуша Исхьакхан ялхошца къевсира: «ХӀара хи тхан ду», — аьлла. Цундела Исхьакха Ӏейсекх (иза «къовсар» бохург ду) аьлла, цӀе тиллира цу гӀунах, хӀунда аьлча цара къийсинера цу меттехь.</verse>
				<verse number="21">Цул тӀаьхьа Исхьакхан ялхоша кхин цхьа гӀу яьккхира, амма оццу Ӏуша цунна тӀехула а къовсам баьккхира. ТӀаккха Исхьакха цу гӀунан цӀе Ситна (иза «мостагӀалла» бохург ду) тиллира.</verse>
				<verse number="22">Цигара дӀа а вахана, кхин цхьа гӀу яьккхира Исхьакха. Иза къуьйсуш цхьа а вацара, цундела Рехьабат (иза «паргӀат» бохург ду) аьлла, цӀе тиллира цунна Исхьакха. Цо элира: «Эххар а Везачу Эло вайна меттиган паргӀато елла, цундела вай цу лаьтта тӀехь дебар ду».</verse>
				<verse number="23">ТӀаккха цигара а Беар-ШабаӀе дӀавахара Исхьакх.</verse>
				<verse number="24">Цу буссехь дуьхьал хӀоьттинчу Везачу Эло цуьнга элира: «Со хьан ден ИбрахӀиман Дела ву. Цхьана а хӀуманах ма кхера, хӀунда аьлча Со хьоьца ву. Ас хьо декъалвийр ву, хьо дебош, хьан тӀаьхье дукха хуьлуьйтур ю. Сайн ялхочун ИбрахӀиман дуьхьа дийр ду Ас иза».</verse>
				<verse number="25">Цигахь сагӀа доккху меттиг а кечйина, Везачу Эле кхайкхира Исхьакх. Шен четарш хӀиттийра цо цигахь, ткъа цуьнан ялхоша гӀу яьккхира.</verse>
				<verse number="26">ТӀаккха Исхьакх волчу ГӀарар-гӀалара Абу-Малик веара, шеца шен хьехамча Ахьузат а, тӀеман хьаькам Пихал а валош.</verse>
				<verse number="27">«Шу хӀунда даьхкина? — аьлла, хаьттира Исхьакха. — Хьалха-м мостагӀалла ма дара шун соьца, со шайн махкара ара ма ваьккхира аша?»</verse>
				<verse number="28">«ХӀинца тхуна билггала го Веза Эла хьоьца хилар, — элира цара. — Тхуна хьоьца бартбан лаьа. Ахь тхуна дуй баа беза,</verse>
				<verse number="29">тхуна вон болх бийр бац аьлла, хӀунда аьлча оха хьуна а ца дира цхьа а вониг. Оха хьо маьрша дӀахийцира. ХӀинца тхуна го Везачу Эло хьо декъалвина хилар».</verse>
				<verse number="30">Исхьакха той а хӀоттийна, массара а яа а йиира, мала а мелира.</verse>
				<verse number="31">Ткъа Ӏуьйранна хьалххе цара вовшашна дуй биира, цул тӀаьхьа Исхьакха хьеший новкъа бехира. Уьш и волчуьра маьрша дӀабахара.</verse>
				<verse number="32">Цу дийнахь схьабаьхкинчу ялхоша Исхьакхе элира, шаьш яьккхинчу гӀуна чохь хи карийна шайна аьлла.</verse>
				<verse number="33">Исхьакха цу гӀунан цӀе ШабаӀ (иза «дуй» бохург ду) тиллира, ткъа гӀалех хӀинца а олу Беар-ШабаӀ.</verse>
				<verse number="34">Шен шовзткъа шо кхаьчча, Ӏесава хьетахойн ши зуда ялийра: Беарин йоӀ ЯхӀудит а, Эйлонан йоӀ Басамат а.</verse>
				<verse number="35">Цу захалонаша Исхьакхан а, Ребикхин а дегнаш тӀехь сингаттам латтабора.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="27">
				<verse number="1">Исхьакх къанвеллера, цуьнан бӀаьрса дикка телхинера. Цкъа шен воккхаха волу кӀант Ӏесав схьа а кхайкхина, цо элира: «КӀант!» «ХӀун боху ахь?» — жоп делира Ӏесава.</verse>
				<verse number="2">Исхьакха элира: «Со къена ву, кестта вала мега.</verse>
				<verse number="3">Хьайн секхаӀад а, пхерчий а схьа а эций, ара а валий, суна экхан жижиг да.</verse>
				<verse number="4">Суна дукхаеза яа хӀума а кечъяй, соьга яийта, тӀаккха ас декъалвийр ву хьо, со валале».</verse>
				<verse number="5">Ребикхина хезира Исхьакха шен кӀанте Ӏесаве дина къамел. Ӏесав талла вахара.</verse>
				<verse number="6">Ребикхас элира шен кӀанте Якъубе: «Суна хезира, хьан дас Ӏесаве къамел деш.</verse>
				<verse number="7">Цо элира цуьнга: „Экхан жижиг а дай, суна яа хӀума кечъе, иза йиинчул тӀаьхьа Везачу Элана хьалха ас декъалвийр ву хьо, со валале“.</verse>
				<verse number="8">ХӀинца, сан кӀант, ла а догӀий, ас бохург де:</verse>
				<verse number="9">вай гезарий лелочу метте а гӀой, ши буьхьиг я суна. Ас хьан дена хазахеташ йолу яа хӀума кечйийр ю.</verse>
				<verse number="10">Ахь иза хьайн дена дӀахьур ю, тӀаккха цо хьо декъалвийр ву, ша валале».</verse>
				<verse number="11">Амма Якъуба элира Ребикхе: «Сан ваша Ӏесав дегӀа тӀехь чо болуш ву, ткъа со вац.</verse>
				<verse number="12">Нагахь дас сох куьг Ӏоттахь, цунна хуур ду со Ӏесав воций, тӀаккха декъалваран меттана аса сайна неӀалт кхайкхадойтур ду иза леван гӀортарна».</verse>
				<verse number="13">Ребикхас цуьнга элира: «Нагахь иштта хилахь, ас неӀалт сайна тӀеоьцур ду. Ас хьайга ма-бохху де, вало, схьая буьхьигаш».</verse>
				<verse number="14">Якъуба, вахана, ши буьхьиг еара шен нанна, ткъа Ребикхас, Исхьакхана езаш ма-хиллара, яа хӀума кечйира.</verse>
				<verse number="15">Шен воккхаха волчу кӀанта Ӏесава лелош долу, цӀа чохь долчух тоьлла долу духар, схьа а эцна, жимаха волчу Якъубе тӀедохийтира нанас.</verse>
				<verse number="16">Юха буьхьигийн кхекхий Якъубан куьйгех а, логах а дӀахьарчийра цо.</verse>
				<verse number="17">Цул тӀаьхьа ша кечйина яа хӀума а, бепиг а Якъубе дӀаделира цо.</verse>
				<verse number="18">Да волчу а вахана, Якъуба элира: «Дада». Дас хаьттира: «Хьо Ӏесав вуй?»</verse>
				<verse number="19">«Ву со Ӏесав, хьан дуьххьарлераниг, — жоп делира Якъуба. — Ахь ма-аллара, дерриг а кхочушди ас. Хьала а гӀаттий, хьайна ас дийначу экхан жижиг даахьа, цул тӀаьхьа со декъал а вехьа».</verse>
				<verse number="20">Амма Исхьакха хаьттира кӀанте: «Акхаро ма сиха карий хьуна?» Якъуба жоп делира: «Везачу Эло, хьан Дала, гӀо дира суна иза каро».</verse>
				<verse number="21">ТӀаккха Исхьакха элира Якъубе: «Схьавола суна тӀе, ас куьг Ӏуттур ду хьох, сан кӀант, хьо Ӏесав вуй хьажа».</verse>
				<verse number="22">Якъуб цунна тӀевахара, вукхо, цунах куьйгаш а хьаькхна, элира: «Якъубан санна, аз ду хьан, амма куьйгаш тӀехь, Ӏесаван санна, чоьш ду».</verse>
				<verse number="23">Исхьакхана Якъуб ца вевзира, хӀунда аьлча цуьнан куьйгаш, Ӏесаван санна, тӀехь чоьш долуш дара. Цо Якъуб декъалвира.</verse>
				<verse number="24">Юха цо хаьттира: «Сан кӀант Ӏесав вуй хьо?» «Ву», — аьлла, жоп делира Якъуба.</verse>
				<verse number="25">ТӀаккха Исхьакха элира: «Суна экхан жижиг да, иза диинчул тӀаьхьа ас декъалвийр ву хьо». Якъуба цунна яа хӀума а, чагӀар а делира. Исхьакха хӀума а йиира, чагӀар а мелира.</verse>
				<verse number="26">Исхьакха элира Якъубе: «КӀант, схьа тӀе а волий, барт баккха суна».</verse>
				<verse number="27">Якъуба, тӀе а веана, барт баьккхира дена. Ӏесаван бедарийн хьожа а кхетта, Исхьакха декъалвира иза: «Везачу Эло декъалйинчу аренийн хьожа санна ю сан кӀантах йогӀу хьожа.</verse>
				<verse number="28">Везачу Эло кхачам боллуш догӀанаш дохкуьйтийла хьан латта токхе хилийта, хьуна алссам ялта а, керла чагӀар а хилийта.</verse>
				<verse number="29">Хьуна гӀуллакх деш къаьмнаш хуьлийла, хьуна муьтӀахь халкъаш хуьлийла! Хьо хьайн вежаршна тӀехь олалла деш хир ву, уьш хьуна хьалха охьатаьӀна хир бу. Хьуна неӀалт кхайкхош верг неӀалт хилла хир ву, хьо декъалвеш верг декъала хир ву».</verse>
				<verse number="30">Исхьакха декъал а вина, Якъуб дӀавахана дукха хан ялале талла ваханчуьра цӀа веара Ӏесав.</verse>
				<verse number="31">Шен дена дукхаезаш йолу яа хӀума а кечйина, схьавеанчу Ӏесава элира: «Дада, хӀара со ву, хьан кӀант. Хьала а гӀаттий, айса хьайна дийначу экхан жижиг даа, цул тӀаьхьа со декъалвийр ву ахь».</verse>
				<verse number="32">Амма Исхьакха хаьттира: «Хьо мила ву?» «Со хьан дуьххьарлера кӀант, Ӏесав ву», — аьлла, жоп делира Ӏесава.</verse>
				<verse number="33">Синтем байначу Исхьакха хаьттира: «Ткъа мила вара, хьо вале, яа хӀума а кечйина, иза яхьаш веанарг? Ас, хӀума а йиъна, декъалвира иза, хӀинца иза декъалвина ву».</verse>
				<verse number="34">Ден дешнаш хезна, оьгӀаз а вахана, гӀаддайначу Ӏесаван мохь белира: «ТӀаккха со а вехьа декъал, дада!»</verse>
				<verse number="35">«Хьан вашас леви со, ван а веана, хьуна догӀу декъалвар дӀа а эцна!» — элира Исхьакха.</verse>
				<verse number="36">«Лаа ма ца олу цунах Якъуб (и ду „левеш верг“ бохучух тера)! — элира Ӏесава. — Цо шозза леви со: цкъа соьгара дуьххьара дуьнен чу ваьллачун бакъо дӀаийци, ткъа хӀинца декъалвар а дӀадаьккхи». Юха дега хаьттира Ӏесава: «Суна цхьа а тайпа декъалвар дитиний ахь?»</verse>
				<verse number="37">«Дукха тӀаьхьа ду, — жоп делира Исхьакха. — Ас Якъубана хьуна тӀехь олалла дӀаделла. Ас аьлла цуьнга, массо а цуьнан вежарий цуьнан ялхой хир бу. Ас декъалдира цуьнан ялта а, чагӀар а. Сан кӀант, хьуна дала хӀумма а дац сан!»</verse>
				<verse number="38">Амма, велха а воьлхуш, дега дехарш дора Ӏесава: «Дада, цхьаъ бен дац хьан декъалвар? Со а вехьа декъал, дада!»</verse>
				<verse number="39">ТӀаккха элира цуьнга Исхьакха: «Токхе лаьтта тӀехь вехар вац хьо, тоъал догӀанаш а хир дац хьуна,</verse>
				<verse number="40">хьайн дахарехьа тур а буйнахь къийса дезар ду хьан. Хьайн вешин ялхо хир ву хьо, амма цунна дуьхьал а гӀаьттина, цуьнан олаллин кӀелхьара вер ву хьо».</verse>
				<verse number="41">Ӏесавана ца вийзира Якъуб, шен метта иза дас декъалвина хиларна. Цо сацам бира: «Сан да кестта лийр ву, тхо доьлхуш а, холчохь а хир ду, ткъа цул тӀаьхьа ас сайн ваша Якъуб вуьйр ву».</verse>
				<verse number="42">Якъуб вер Ӏесавана дагадеана хилар Ребикхе хаийтира. Цо, Якъубе схьа а кхайкхина, элира: «Хьан ваша Ӏесав ву хьо вен дагадеана.</verse>
				<verse number="43">Сан кӀант, ахь ас ма-бохху дан деза: сан ваша Лабан ву ХӀаран-гӀалахь Ӏаш, сиха иза волчу дӀагӀо.</verse>
				<verse number="44">Цигахь Ӏе цкъачунна, хьайн ваша оьгӀазваханчуьра ваставаллалц.</verse>
				<verse number="45">Хьан вешина ахь цунна динарг дицделча, ас хьуна тӀаьхьа ялхо воуьйтур ву. Со хӀунда йолуш ю цхьана дийнахь шу шиннех а?»</verse>
				<verse number="46">Ребикхас элира Исхьакхе: «Дуьне ца го суна и хьетахойн зударий бахьана долуш, нагахь Якъуба а кху махкара хьетахойх зуда ялаяхь, сан ялан бен ца деза!»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="28">
				<verse number="1">Якъуб шена тӀе а кхайкхина, иза декъалвинчул тӀаьхьа цунна тӀедожийра Исхьакха: «КанаӀанхойн зуда хьайна ма ялаелахь.</verse>
				<verse number="2">Кхузара дӀа а гӀой, Падан-Арам олучу метте гӀо, хьайн ненада Бетаал ваьхначу цӀийне. Цигахь Ӏаш хьан ненан ваша Лабан ву. Цуьнан цхьа йоӀ ялае.</verse>
				<verse number="3">Аса нуьцкъалчу Деле доьху, Цо хьо декъал а вина, хьан дуккха а бераш хилийта бохуш. Ас доьху, хьо дуккха а халкъийн да хилийта бохуш.</verse>
				<verse number="4">Дала хьо а, хьан бераш а декъалдойла, ИбрахӀим ша декъала ма-варра. Дала ИбрахӀимна делла, хьо хӀинца тӀевеана стаг а хилла Ӏаш волу латта хьан дола долийла».</verse>
				<verse number="5">Исхьакха Падан-Араме дӀахьажийра Якъуб. Иза Ребикхин ваша, арамхо Лабан волчу вахара. Лабанан а, Ребикхин а да Бетаал вара, ткъа Ребикха Якъубан а, Ӏесаван а нана яра.</verse>
				<verse number="6">Ӏесавана хиира, шен дас Исхьакха декъал а вина, Якъуб Падан-Араме шена зуда лаха хьажийнийла а, дас Якъубана, канаӀанхо ма ялае аьлла, тӀедожинийла а.</verse>
				<verse number="7">Дас-нанас бохург а дина, Якъуб Падан-Араме дӀаваханийла а хиира Ӏесавана.</verse>
				<verse number="8">ТӀаккха кхийтира Ӏесав, шайн дена канаӀанхойн зударий ца безийла.</verse>
				<verse number="9">Ӏесаван ши зуда яра, амма ИбрахӀиман кӀант ИсмаьӀал волчу а вахана, цуьнан йоӀ, Набуятин йиша, Махьалат ялийра цо шена.</verse>
				<verse number="10">Якъуб, Беар-ШабаӀера ара а ваьлла, ХӀаран-гӀала вахара.</verse>
				<verse number="11">Новкъа воьдуш, суьйре тӀе а еана, цхьана меттехь буьйса йоккхуш сецира иза. Цхьа тӀулг а карийна, цу тӀе корта а биллина, дӀавижира иза.</verse>
				<verse number="12">ГӀенах Лаьттара стигала хьалакхаччалц болу лами а, цу тӀехула хьала-охьа лелаш долу Делан маликаш а гира цунна.</verse>
				<verse number="13">Стигалахь, цу лами тӀехула лаьттачу Везачу Эло цуьнга элира: «Со Веза Эла ву, хьан деден ИбрахӀиман а, ден Исхьакхан а Дела. ХӀинца хьо тӀехь Ӏуьллу латта хьуна а, хьан тӀаьхьенна а лур ду Ас.</verse>
				<verse number="14">Лаьттара ченан буьртигаш санна, дукха тӀаьхьенаш хир ю хьан, уьш дӀасаяьржар ю малхбалехьа а, малхбузехьа а, къилбаседехьа а, къилбехьа а. Дуьнен чуьра массо а халкъаш хьоьгахула а, хьан тӀаьхьенехула а декъал хир ду.</verse>
				<verse number="15">Со хьоьца ву, Ас Ӏалашвийр ву хьо, миччанхьа вахача а. ХӀокху лаьтта тӀе хьо юха схьа а валийна, Айса хьоьга аьлларг кхочушдаллалц, Ас хьо дӀатесна вуьтур вац».</verse>
				<verse number="16">Сама а ваьлла, Якъуба элира: «ХӀокху меттехь Веза Эла билггал ву, амма суна ца хаьара Иза кхузахь вуйла».</verse>
				<verse number="17">Якъуб кхеравелира. «Ма сийлахь меттиг ю хӀара! — элира цо, — ХӀара Делан цӀа ду, стигалан ков ду».</verse>
				<verse number="18">Ӏуьйранна хьалххе хьалагӀаьттина, ша дӀавуьжуш коьрта кӀел биллина тӀулг ирхберзийна дӀахӀоттийра цо. Цу тӀе даьтта а доьттина, и тӀулг Далла лерина битира Якъуба.</verse>
				<verse number="19">Цу меттигах Луз олура, амма Якъуба цуьнан цӀе Бетал тиллира (иза «Делан цӀа» бохург ду).</verse>
				<verse number="20">Цо дуй биира: «Нагахь Дела соьца хир велахь, со дӀа а, схьа а вогӀучу новкъахь Ӏалаш а веш, нагахь Цо суна даар а, духар а лахь,</verse>
				<verse number="21">нагахь со могуш-маьрша сайн ден цӀа юха а верзахь, Веза Эла сан Дела хир ву.</verse>
				<verse number="22">Ас кхузахь хӀара тӀулг хӀоттийна, цо хӀара меттиг, кхузахь Дела волуш, сийлахь юйла хоуьйтур ду. Ахь сайна деллачух уьтталгӀа дакъа Цунна юха а лур ду ас».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="29">
				<verse number="1">Цул тӀаьхьа Якъуба кхидӀа а бира шен некъ малхбалехьарчу къаьмнийн махка.</verse>
				<verse number="2">Цунна шера аре гира. Цу арахь гӀу яра. ГӀуна гонах Ӏуьллуш кхо жа дара. Цу гӀуна чуьра дара царна малош долу хи. ГӀунан го дӀакъевлина Ӏуьллуш боккха тӀулг бара.</verse>
				<verse number="3">Дерриг а жаш гулделча, Ӏуша тӀулг дӀа а карчабой, уьстагӀашна хи маладора. Юха и тӀулг ша хиллачу метте буьллура.</verse>
				<verse number="4">Якъуба хаьттира цу Ӏушка: «Вежарий, шу мичара ду?» «ХӀаранера ду», — элира цара.</verse>
				<verse number="5">«Нахьиран кӀант Лабан вевзий шуна?» — аьлла, хаьттира Якъуба. «Вевза», — жоп делира Ӏуша.</verse>
				<verse number="6">«Муха Ӏаш ву иза?» — хаьттира Якъуба. «Дика Ӏаш ву, — жоп делира Ӏуша. — Хьуьлла йогӀуш ю цуьнан йоӀ Рахьал, уьстагӀий а далош».</verse>
				<verse number="7">Якъуба элира: «ХӀинца а де дехха ду, уьстагӀий гулдан а хьалхе ду, хи а маладай, дӀа а дигий, дажаде уьш».</verse>
				<verse number="8">Амма Ӏуша элира: «Дерриг а жаш гулдаллалц собар дан деза тхан. ТӀаккха, гӀунан гона тӀера тӀулг дӀа а харцийна, уьстагӀашна хи малор ду оха».</verse>
				<verse number="9">Якъуба цаьрца къамел дечу юкъана, ша дажош долу шен ден уьстагӀий а далош, Ӏу йолу Рахьал еара уьш болчу.</verse>
				<verse number="10">Шен ненавешин Лабанан йоӀ Рахьал а, Лабанан уьстагӀаш а гина, тӀевахана, гӀуна тӀера тӀулг дӀа а карчийна, уьстагӀашна хи малийра Якъуба.</verse>
				<verse number="11">Юха, Рахьална барт а баьккхина, вилхира иза.</verse>
				<verse number="12">Цо дийцира Рахьална, ша цуьнан ден доьзалера хилар а, ша Ребикхин кӀант хилар а. Рахьала, едда цӀа а яхана, дега дийцира цунах лаьцна.</verse>
				<verse number="13">Шен йишин кӀантах и кхаъ беача, Якъубана дуьхьалвеана, иза мара а воьллина, барт а баьккхина, шен цӀа чу вигира Лабана. Якъуба дийцира Лабанна хиллачух лаьцна дерриг а.</verse>
				<verse number="14">«Мел дика ду хьо сан цӀийх а, синах а волуш!» — элира Лабана Якъубе. Лабан волчохь дийнна баттахь Ӏийра Якъуб.</verse>
				<verse number="15">Цкъа Лабана элира Якъубе: «Маьхза ахь суна болх беш нийса дац, хьо сан гергара стаг велахь а. Алахьа, хӀун ло ас хьуна?»</verse>
				<verse number="16">Лабанан ши йоӀ яра: йоккхаха йолу Леа а, жимаха йолу Рахьал а.</verse>
				<verse number="17">Леа бӀаьрса ледара долуш яра, ткъа Рахьал юьхь хаза йолуш а, дегӀ куьцехь долуш а яра.</verse>
				<verse number="18">Якъубана Рахьал езаеллера, цундела цо элира Лабане: «Ас ворхӀ шарахь болх бийр бу хьуна, ахь соьга хьайн йоӀ Рахьал яийтахь».</verse>
				<verse number="19">«Кхечуьнга лучул, хьоьга иза ялар гӀолехь хир ду. Со волчохь Ӏе хьо», — элира Лабана.</verse>
				<verse number="20">Якъуба ворхӀ шарахь болх бира Лабанна. Амма и хан масех де долуш санна бен ца хийтира цунна, хӀунда аьлча Рахьале болу безам чӀогӀа бара цуьнан.</verse>
				<verse number="21">ВорхӀ шо хан чекхъяьлча, Якъуба элира Лабане: «Сан зуда схьало, болх бан тоьхна хан чекхъяьлла сан».</verse>
				<verse number="22">Цигахь Ӏаш болу нах схьа а кхайкхина, той хӀоттийра Лабана.</verse>
				<verse number="23">Цу буссехь Якъуб волчу шен йоӀ Леа йигира цо. Якъуб Леица дӀавижира.</verse>
				<verse number="24">Лабана шен ялхо Залпаъ елира Леина оьшу гӀуллакх дайта.</verse>
				<verse number="25">Ӏуьйранна Якъубана гира шеца ерг Леа хилар. Цо элира Лабане: «ХӀара хӀун ду ахьа суна динарг? Ас хьуна дуккха а болх ма бинера Рахьал сайга йоуьйтург. Со ле хӀунда ви ахьа?»</verse>
				<verse number="26">Лабана элира: «Тхо долчу махкахь жимаха йолчу йоьӀан бакъо яц йоккхаха йолчул хьалха маре яха.</verse>
				<verse number="27">Амма ловзаран кӀира ахьа чекхдаккхахь, аса Рахьал а дӀалур ю хьуна. Иза долайоккхург кхин а ворхӀ шарахь суна болх бан беза ахьа».</verse>
				<verse number="28">Якъуба цо ма-аллара дира: ловзаран Ӏадат кхочушдира, ткъа Лабана шен йоӀ Рахьал дӀаелира цунна.</verse>
				<verse number="29">Шен ялхо Балхьат елира Лабана Рахьална гӀуллакх дан.</verse>
				<verse number="30">Якъуб Рахьалах кхийтира, иза Леэл чӀогӀа езаелира цунна. Кхин а ворхӀ шарахь а Лабанна болх бира цо.</verse>
				<verse number="31">Везачу Элана гора Якъубана Рахьал Леэл чӀогӀа езаш хилар, цундела Цо Леин бераш хилийтира, ткъа Рахьалан ца хилийтира.</verse>
				<verse number="32">Леас кӀант вира, цуьнан цӀе цо Раабан тиллира (иза «сан бала гина Цунна» бохучух тера ду), хӀунда аьлча цо бохура: «Везачу Элана гина аса хьоьгу бала: хӀинца мукъана а со езаяла мега сан майрачунна».</verse>
				<verse number="33">Леа юха а доьзалхочух хилира, кхин цхьа кӀант вира цо. Цуьнан цӀе цо ШимӀа тиллира (иза «хезна» бохучух терра ду). Леас бохура: «Везачу Элана хезна, со майрачунна ца еза аьлла, цундела Цо суна кӀант велла».</verse>
				<verse number="34">Кхин цкъа а доьзалхочух а хилла, кӀант вира Леас. Цо цуьнан цӀе Леви тиллира (иза «цхьаьнакхета» бохург ду). Леас бохура: «ХӀинца сан майра суна уллохь хир ву, ас кхо кӀант ма вина цунна».</verse>
				<verse number="35">Юха а доьзалхочух а хилла, кхин цхьа кӀант вира Леас. Цуьнан цӀе ЯхӀуд тиллира (иза «хастам» бохург ду). Цо бохура: «ХӀинца ас Везачу Элана хастам бийр бу». Цул тӀаьхьа кхин бер ца хуьлуш сецира иза.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="30">
				<verse number="1">Рахьална гора шен Якъубана дина бер ца хилар. Шен йишех Леэх хьоьгуш, цо элира Якъубе: «Со лийр ю, ахь сан бераш ца хилийтахь!»</verse>
				<verse number="2">Якъуба элира, Рахьална оьгӀаз а вахана: «Хьуна бераш ца деллачу Делан метта-м вац со?»</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха Рахьала элира: «Сан ялхочуьнца Балхьатца дӀавижа. Нагахь санна цо суна бер дахь, сан а цуьнгахула доьзал хир бу».</verse>
				<verse number="4">Рахьала шен ялхо Балхьат елира Якъубана, цунах зуда яйта. Якъуб цуьнца дӀавижира.</verse>
				<verse number="5">Доьзалхочух а хилла, Якъубана кӀант вира Балхьата.</verse>
				<verse number="6">«Сан доӀанаш а хезна, Дала со бакъйина, — элира Рахьала. — Цо суна кӀант велла». Цо кӀентан цӀе Дан тиллира (иза «бакъвина» бохург ду).</verse>
				<verse number="7">Юха доьзалхочух хиллачу Рахьалан ялхочо Балхьата шолгӀа кӀант вира Якъубана.</verse>
				<verse number="8">«Дала бахьана а хӀоттийна, сайн йишица къовса а елла, толам баьккхи ас», — элира Рахьала. Цу кӀентан цӀе Наптал тиллира цо (иза «къийсам» бохург ду).</verse>
				<verse number="9">Шен кхин бер ца хуьлий хиинчу Леас Якъубана шен ялхо Залпаъ елира, цунах зуда яйта.</verse>
				<verse number="10">Леин ялхочо Залпаа Якъубана кӀант вира.</verse>
				<verse number="11">«Сан аьтто хилла», — элира Леас. Цо кӀентан цӀе Гада (иза «аьтто» бохург ду) тиллира.</verse>
				<verse number="12">Леин ялхочо Залпаа Якъубана кхин цхьа кӀант а вира.</verse>
				<verse number="13">Леас элира: «Со ирс долуш ю! ХӀинца массо а зударша со ирс долуш ю эр ду!» Цу кӀентан цӀе Ашар тиллира цо (иза «ирс» бохург ду).</verse>
				<verse number="14">КӀа хьокхучу хенахь арахула вогӀучу Раабанна дудаъ цӀе йолу орамаш карийра. Цо уьш шен нанна Леина схьадеара. Рахьала элира Леига: «Хьан кӀанта деана дудаъ-орамаш лохьа суна жимма».</verse>
				<verse number="15">«Ахь майра а ваьккхина соьгара, — элира Леас, — хӀинца сан кӀанта деана дудаъ-орамаш а деза хьуна?» Амма Рахьала жоп делира: «Нагахь хьайн кӀанта деана орамаш ахь суна лахь, тховссехь Якъубца дӀайижа мегар ду хьуна», — аьлла.</verse>
				<verse number="16">Сарахь Якъуб арара цӀа вогӀуш, Леа цунна дуьхьал елира. «Тховса хьо соьца дӀавуьжур ву, — элира цо. — Ас сайн кӀентан дудаъ-орамаш делла хьох». Цу буса Якъуб Леица дӀавижира.</verse>
				<verse number="17">ТӀаккха Леин доӀанаш а хезна, Дала юха а доьзалхочух хилийтира иза. Цо Якъубана пхоьалгӀа кӀант вира.</verse>
				<verse number="18">Леас элира: «Ас сайн майрачунна ялхо яларна Дала совгӀат дина суна». Цо кӀентан цӀе Иссархан тиллира (иза «совгӀат ду» бохург ду).</verse>
				<verse number="19">Юха а доьзалхочух а хилла, Якъубана ялхалгӀа кӀант вира Леас.</verse>
				<verse number="20">«Дала тамашийна похӀма делла суна, — бохура Леас. — ХӀинца Якъуба со, билггала, лорур ю, хӀунда аьлча ас ялх кӀант вина цунна». Цо кӀентан цӀе Забул тиллира (иза «ларам» бохучух тера ду).</verse>
				<verse number="21">Цул тӀаьхьа Леас йоӀ йира, цуьнан цӀе цо Дина тиллира.</verse>
				<verse number="22">Рахьал дагахь а йолуш, цуьнан доӀина жоп а делла, бер хилийта аьтто бира Дала.</verse>
				<verse number="23">Доьзалхочух а хилла, кӀант вира Рахьала. Цо бохура: «Дала хӀара эхь дӀадаьккхи суна тӀера».</verse>
				<verse number="24">Цо кӀентан цӀе Юсуп тиллира (иза «алсамдалийта» бохург ду). «Везачу Эло кхин а лойла суна кӀант», — бохура цо.</verse>
				<verse number="25">Юсуп винчул тӀаьхьа Якъуба элира Лабане: «ДӀавахийтахь со, сайн махка гӀур вара со.</verse>
				<verse number="26">Ас хьуна болх бина болу сан зударий а, бераш а схьалохьа, тӀаккха со дӀагӀур ву. Хьуна ма-хаъара, ас хьуна гӀуллакх дика дина».</verse>
				<verse number="27">«Нагахь хьо суна резавелахь, ма гӀохьа дӀа, кхузахь Ӏехьа, — жоп делира цунна Лабана. — Пал тесча, суна хиина, хьо бахьана долуш со Везачу Эло декъалвина хилар.</verse>
				<verse number="28">Алахьа соьга хьайн мах, ас дӀалур бу хьуна».</verse>
				<verse number="29">Якъуба элира: «Хьуна хаьа, ас хьуна болх дика бина: ас Ӏалашдар бахьана долуш хьан даьхни дика хилла.</verse>
				<verse number="30">Со хьо волчу веанчу хенахь хьан хьал дукха дацара, ткъа хӀинца хьан иза дуккха а ду. Со варца Везачу Эло декъалвина хьо. ХӀинца сайна оьшург дан лаьа суна. Цкъа мацца дина а сайн цӀийнан гӀуллакх ца дича волий со?»</verse>
				<verse number="31">«ХӀун ло ас хьуна?» — хаьттира Лабана. Амма Якъуба элира: «Суна хӀумма а дала ца оьшу. Ас бохург дан лаахь, соьга кхидӀа а хьайн уьстагӀий дажадайта.</verse>
				<verse number="32">Пурба ло суна, тахана хьайн жашкахула чекх а ваьлла, дерриг а махарчий йолу а, къорза а уьстагӀий схьаэца, ткъа иштта массо а Ӏаьржа Ӏахар а, махарчий йолу а, къорза а гезарий схьаэца а. Иза суна белла мах хир бу.</verse>
				<verse number="33">ТӀейогӀучу хенахь хьуна атта хир ду со зен: сан жашка хьажа веача, махарчий йоцу я томмагӀаш доцу бож хилахь я Ӏаьржа боцу Ӏахар хилахь, хьуна хуур ду, ас иза хьайн лачкъинийла».</verse>
				<verse number="34">Лабана жоп делира: «Со реза ву, ахьа ма-бохху дийр ду вай».</verse>
				<verse number="35">Амма оццу дийнахь Лабана массо а къорза а, махарчий йолу а гезарий а, Ӏаьржа Ӏахарий а дӀа а лачкъийна, шен кӀенташка уьш ларде элира.</verse>
				<verse number="36">Кхаа дийнахь новкъа дӀа а бахана, къорза даьхни кхечу метте дӀалаьллира кӀенташа. Ткъа Якъуб важа даьхни дажош висира.</verse>
				<verse number="37">ТӀаккха Якъуба, толлан а, бӀаран а, хьехан а дитташ тӀера гаьннаш а даьхна, цхьацца йолчу меттера царна тӀера чкъор дӀадаьккхира. Гаьннаш тӀехь кӀайн махарчий йисира.</verse>
				<verse number="38">Цо и гаьннаш бежанаша хи молучу массо а меттехь охьадохкура. Хи мала деана даьхни циггахь вовшахкхетара.</verse>
				<verse number="39">Цу гаьннаш хьалха бежалошца цхьаьнакхеттачу гезарша махарчий йолу а, къорза а, томмагӀаш долу а дохкана лора.</verse>
				<verse number="40">И дохкана юьстах а даьккхина, цо важа долу даьхни цхьаьнакхетачу хенахь Лабанан къорза а, Ӏаьржа а даьхни долчу дӀадерзадора. Иштта цуьнан хилира шен даьхни. Лабанан даьхнех дӀа а къастийна, уьш юьстахо латтадора Якъуба.</verse>
				<verse number="41">ХӀоразза а жена юкъахь онда даьхни оре деача, цунна хьалха хи молучу нойш чу гаьннаш дохкура Якъуба. Цу гаьннаш хьалха вовшахъэр хуьлура даьхнин.</verse>
				<verse number="42">Ткъа даьхни гӀийла хилча, цунна хьалха гаьннаш ца дохкура цо. ГӀийла дохкана Лабанна дуьсура, ткъа онданиг Якъубана хуьлура.</verse>
				<verse number="43">ЧӀогӀа хьалдолуш хилира Якъуб, цуьнан даккхий жаш а, дуккха а гӀарбашаш а, ялхой а, эмкалш а, варраш а яра.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="31">
				<verse number="1">Якъубана хезира Лабанан кӀенташа олуш: «Вайн ден долахь дерг дӀа а эцна, шена бахам гулбина Якъуба».</verse>
				<verse number="2">Цул тӀаьхьа Якъуба тидам бира Лабан шеца хьалха санна ца хилар.</verse>
				<verse number="3">Везачу Эло элира Якъубе: «Хьайн дайн лаьтта тӀе, хьайн гергарнаш болчу юхаверза. Со хьоьца хир ву».</verse>
				<verse number="4">Якъуба Рахьале а, Леига а алийтира, шен жаш долчу араяла аьлла.</verse>
				<verse number="5">Цо элира цаьрга: «Суна го шун да хьалха санна сайца ца хилар, амма сан ден Дела соьца ву.</verse>
				<verse number="6">Шуна хаьа, ас сайн ницкъ ма-кхоччу шун дена болх бинийла,</verse>
				<verse number="7">амма цо левора со, иттазза суна бала беза мах хуьйцуш. Делахь а, Дала Ӏалашвора со цо лелочу вочу хӀуманех.</verse>
				<verse number="8">Нагахь Лабана: „Хьуна луш болу мах къорза даьхни хир ду“, — аьлча, дерриг а дохкана къорза хуьлура, ткъа нагахь цо: „Хьан мах махарчий йолу даьхни хир ду“, — аьлча, дерриг а дохкана махарчий йолуш хуьлура.</verse>
				<verse number="9">Иштта Дала шун дегара даьхни, схьа а даьккхина, суна схьаделира.</verse>
				<verse number="10">Цкъа даьхни вовшахкхетачу хенахь суна гӀан гира: гезарий оре лаьцна бежалой къорза а, махарчий я томмагӀаш долуш а яра.</verse>
				<verse number="11">Делан малико элира соьга гӀенах: „Якъуб“. Ас жоп делира: „Со кхузахь ву“, — аьлла.</verse>
				<verse number="12">Цо элира: „ДӀахьажал: гезаршца цхьаьнакхетта ерриг а бежалой къорза а, махарчий я томмагӀаш долуш а ю, хӀунда аьлча Суна гина Лабана хьуна бина тешнабехк.</verse>
				<verse number="13">Со Беталахь хьуна дуьхьал хӀоьттина волу Дела ву, ахьа тӀулга тӀе даьтта а доьттина, Суна чӀагӀо йинчу меттигехь. ХӀара латта Ӏадда а дитий, хьо винчу махка сиха дӀагӀо“».</verse>
				<verse number="14">Рахьала а, Леас а элира: «Тхан ден бахамехь тхуна дакъа дан а дуй?</verse>
				<verse number="15">Гуш дац цунна тхо хийра хетар? Тхо дохка а доьхкина, тхох даьккхинарг дайина ваьлла иза.</verse>
				<verse number="16">Дала тхан дегара схьабаьккхина бахам вайн а, вайн берийн а бу, цундела Дала хьайга ма-бохху де ахь».</verse>
				<verse number="17">Бераш а, зударий а эмкалш тӀе а ховшийна,</verse>
				<verse number="18">дерриг а даьхни хьалха а лаьллина, Падан-Арамехь вовшахтоьхна бахам схьа а эцна, шен да Исхьакх волчу, КанаӀан-махка дӀаваха новкъа велира Якъуб.</verse>
				<verse number="19">Лабан уьстагӀий ларга вахача, Рахьала цуьнан цӀахь болу цӀуш лачкъийра.</verse>
				<verse number="20">Якъуба левира арамхо Лабан, ша дӀавоьдий а ца хаийтина.</verse>
				<verse number="21">Иза ведира, шен долахь дерг схьа а эцна. Эпрат-хил дехьа а ваьлла, ГалӀад-лам болчухьа дӀавахара иза.</verse>
				<verse number="22">КхозлагӀчу дийнахь Лабане хаийтира, Якъуб ведда аьлла.</verse>
				<verse number="23">Шеца гергара нах а эцна, Якъубана тӀаьхьавелира иза. ВорхӀ де даьлча, ГалӀад-лома тӀехь иза цунна тӀекхечира.</verse>
				<verse number="24">ГӀенах веанчу Дала арамхочуьнга Лабане элира: «Ларлолахь, айхьа Якъубе олург, ойла а еш, алалахь».</verse>
				<verse number="25">Лабан Якъубана тӀаьхьакхиира. ГалӀад-ломахь шен четарш дӀахӀиттийнера Якъуба, Лабан а сецира цигахь шен гергарчу нахаца.</verse>
				<verse number="26">Лабана элира Якъубе: «И хӀун ду ахь динарг? Со ле а вина, сан йоӀарий, йийсархой санна, дӀа ма биги ахь.</verse>
				<verse number="27">Хьо хӀунда ведда къайлаха? Соьга хӀунда ца элира ахь? Ас самукъанечу эшаршца, вотанашца, дечиг-пондаршца новкъа воккхур ма вара хьо.</verse>
				<verse number="28">ДӀасакъаьсташ, йоӀаршна а, церан берашна а барт баккха аьтто а ца хилийти ахь. Ойла ца еш дина ахь и хӀума.</verse>
				<verse number="29">Сан ницкъ бара хьуна вон болх бан, амма сийсара буьйсанна хьан ден Дала аьлла соьга: „Ларлолахь, айхьа Якъубе олург, ойла а еш, алалахь“.</verse>
				<verse number="30">Хьо хьайн ден цӀа кхача сихвелла дела дӀавахана хуьлуьйтур вай, амма сан цӀуш хӀунда лачкъийна ахь?»</verse>
				<verse number="31">Якъуба жоп делира Лабанна: «Со ведира, хӀунда аьлча со кхоьрура, ахь нуьцкъала хьайн йоӀарий сайгара дӀабахарна.</verse>
				<verse number="32">Нагахь хьуна кхузахь цхьаьнгахь хьайн цӀуш карабахь, иза вехар вац. Хьайн гергарчу нахана а гуш хьажа, хьан долахь йолу хӀума юй соьгахь. Нагахь елахь, юханехьа дӀаэца». Якъубана ца хаьара Рахьала цӀуш лачкъийнийла.</verse>
				<verse number="33">Якъубан а, Леин а, шина ялхочун а четарш кӀелахь Лабанна хӀумма а ца карийра. Юха Рахьалан четар кӀел веара иза.</verse>
				<verse number="34">Рахьал, цӀуш эмкалан нуьйра кӀел дӀа а лачкъийна, царна тӀе хиънера. Четар кӀелахь леррина лехча, хӀумма а ца карийра Лабанна.</verse>
				<verse number="35">Рахьала элира шен дега: «ОьгӀаз ма гӀолахь, дада, хьуна хьалха со хьала ца гӀаттарна, зударийн лазар долуш ю со». Мел чӀогӀа лехарх Лабанна ца карийра цӀуш.</verse>
				<verse number="36">ОьгӀазвахана волу Якъуб Лабанна тӀевирзира: «ХӀун ду соьгара даьлларг? Хьо суна тӀаьхьавала сан хӀун бехк бу?</verse>
				<verse number="37">Сан долахь дерг дерриг а кегий ахь, хьайн салпалах хӀумма а карийн хьуна? Хьайна карийнарг хьан а, сан а гергарчу нахана хьалха охьадилла, цаьрга кхел йойтур ю вайшиммо.</verse>
				<verse number="38">Ткъа шарахь хьо волчохь Ӏийна со. Цу хенахь хьан уьстагӀий а, гезарий а оста а ца евлла, хьан жаш юкъара кой а ца диъна ас.</verse>
				<verse number="39">Акхароша цистина даьхни хьуна тӀе ца деана ас, зен сайна хилийтина. Ткъа ахь соьга дийнахь а, буса а лачкъийначунна тӀера мах токхуьйтура.</verse>
				<verse number="40">Дийнахь малхо воттуш, буьйсанна шелонна бала хьоьгуш, наб а яйна лелла со.</verse>
				<verse number="41">Иштта ткъа шарахь Ӏийна со хьан хӀусамехь. Дейтта шарахь хьан шина йоӀах а, ялх шарахь даьхнех а болх бина ас, ткъа ахь суна луш болу мах иттазза хийцира.</verse>
				<verse number="42">Нагахь санна соьца Исхьакх шех кхоьруш волу, сан деден ИбрахӀиман Дела а ца хиллехь, ахь со хӀумма а ца луш дӀавохуьйтур вара. Амма Далла гина сан халонаш а, ас хьегна къа а, сийсара буса Цо бехказваьккхина со».</verse>
				<verse number="43">Лабана Якъубана жоп делира: «ХӀара зударий сан йоӀарий бу, церан бераш а сан ду. Хьуна гуш долу даьхни а, бахам а сан бу. Амма хӀун дийр ду ас сайн йоӀаршна а, цара динчу берашна а?</verse>
				<verse number="44">Барт бан беза вайшиммо, иза вайна юкъахь тоьшалла хилла дӀахӀуттур бу».</verse>
				<verse number="45">Шайн хилла барт дагахь латто, схьа а эцна, цхьа тӀулг дӀахӀоттийра Якъуба.</verse>
				<verse number="46">Шен гергарчаьрга а элира цо: «ТӀулгаш гулде». Цара, тӀулгаш а гулдина, йоккха оьла йира. Юха цу оьланна улло хӀума яа охьахевшира уьш.</verse>
				<verse number="47">Лабана цу меттиган цӀе ЕгӀар-СахӀадута тиллира, ткъа Якъуба цунах ГалӀад элира.</verse>
				<verse number="48">Лабана элира: «ХӀара тӀулгийн оьла тахана вайшинна юкъахь болчу бертан теш ю». Цундела аьлла цунах ГалӀад (иза «тоьшаллин оьла» бохург ду).</verse>
				<verse number="49">«Вай барт бинчул тӀаьхьа дӀасадевлча, Везачу Эло терго йойла вайна тӀехь», — элира Лабана. Иштта цу меттигах МицӀпа аьлла, цӀе тиллира цо (иза «терго» бохург ду).</verse>
				<verse number="50">«Нагахь санна хьо сан йоӀаршца вон хилахь я ахь царна тӀе зударий балабахь, вайна юкъахь цхьа а вацахь а, хаалахь: Дела Теш ву хьуна а, суна а юкъахь».</verse>
				<verse number="51">Кхин а элира Лабана Якъубе: «ХӀара тӀулгийн оьла а, хӀара боккха тӀулг а бу ас вайшинна юкъахь хӀоттийна.</verse>
				<verse number="52">И тӀулгийн оьла а, и боккха тӀулг а тоьшалла ду со оцу тӀулгел дехьа — хьан агӀор вериг ца хилар хьуна зен дан. Хьо а вер вац цу тӀулгел сехьа суна зен дан.</verse>
				<verse number="53">ИбрахӀиман а, Нахьиран а, церан ден а Дала кхел йойла вайна». Шен дас Исхьакха ма-аллара, Кхерамечу Делах чӀагӀо йира Якъуба.</verse>
				<verse number="54">Цу лам тӀехь сагӀа а даьккхина, массо а гергара стаг хӀума яа кхайкхира цо. Кхачанах а кхетта, цигахь буьйса яьккхира цара.</verse>
				<verse number="55">Ӏуьйранна хьалххе йоӀарийн берашна а, йоӀаршна а барташ а даьхна, уьш декъал а бина, цӀа вахара Лабан.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="32">
				<verse number="1">Шен некъ кхидӀа а бечу Якъубана дуьхьал Делан маликаш кхийтира.</verse>
				<verse number="2">Уьш гича, Якъуба элира: «ХӀара Делан тоба ю!» Цо и маликаш гинчу меттиган цӀе Махьанайм тиллира (иза «ши тоба» бохург ду).</verse>
				<verse number="3">СеӀир цӀе йолчу махкара Эдом олучу меттехь Ӏаш волчу шен веше Ӏесаве хаам бан нах бахийтира Якъуба.</verse>
				<verse number="4">Цо элира цаьрга: «Сан эле Ӏесаве иштта ала: „Хьан ялхочо Якъуба боху: ‘Со Лабан волчохь хӀара де тӀекхаччалц Ӏийна.</verse>
				<verse number="5">Сан стерчий а, хьелий а, варраш а, уьстагӀий а, гезарий а, ялхой а, гӀарбашаш а бу. ХӀара кхаъ боуьйту ас хьан къинхетаме сатесна’“».</verse>
				<verse number="6">Геланчаша, юха а баьхкина, элира Якъубе: «Хьан ваша Ӏесав волчохь хилира тхо, иза хӀинца хьуна дуьхьал вогӀуш ву, шеца виъ бӀе стаг а валош».</verse>
				<verse number="7">Воьхна а, кхеравелла а хьаьвзинчу Якъуба шеца болу нах а, даьхни а шина тобане дийкъира.</verse>
				<verse number="8">Цо ойла йира: «Нагахь Ӏесав цхьана тобанна тӀелатахь, важа, кӀелхьара а яьлла, дийна юьсур ю».</verse>
				<verse number="9">Якъуба элира: «Сан деден ИбрахӀиман а, сан ден Исхьакхан а Дела, Веза Эла, Ахь элира соьга: „Хьайн лаьтта тӀе, гергара нах болчу юхаверза, Ас дика ваха хаор ву хьо“.</verse>
				<verse number="10">Со хьакъ вац Хьан соьга хедар боцучу безамна а, тешамна а. Со Йордан-хих дехьаваьлча, сан карахь цхьа гӀаж бен хӀумма а яцара, ткъа хӀинца сан шина тобане бекъна бахам бу.</verse>
				<verse number="11">Доьху Хьоьга, сан вешех Ӏесавах со ларвехьа, хӀунда аьлча со кхоьру, ван а веана, иза суна а, зударшна а, берашна а тӀелатарх.</verse>
				<verse number="12">Ахь аьлла ма ду: „Ас хьан аьтто бийр бу, хӀордан гӀум санна, ягар ца яллал тӀаьхье а кхиор ю“».</verse>
				<verse number="13">Якъуба цигахь буьйса яьккхира, шен долчух вешина Ӏесавана совгӀат а кечдира цо:</verse>
				<verse number="14">ши бӀе газа а, ткъа бож а, ши бӀе уьстагӀ а, ткъа ка а,</verse>
				<verse number="15">ткъе итт стен эмкал а, шайн бокъашца, шовзткъа етт а, итт бугӀа а, ткъа виркхел а, итт вир а.</verse>
				<verse number="16">И даьхни тобанашка а декъна, ялхошка дӀа а делла, цо элира: «Сол хьалха дӀагӀо, даьхнина юкъахь меттиг а юьтуш».</verse>
				<verse number="17">Хьалха воьдучу ялхочуьнга Якъуба элира: «Сан ваша Ӏесав дуьхьал а кхетта, цо хьайга хаттахь: „Хьо хьенан ву? Стенга воьду? ХӀара хьенан даьхни ду ахь дуьгург?“,</verse>
				<verse number="18">ахь ала: „Хьан ялхочун Якъубан даьхни ду. Хьуна совгӀатана доуьйтуш ду хӀара, иза ша а ву тхуна тӀаьххье схьавогӀуш“».</verse>
				<verse number="19">Иштта шолгӀачу ялхочунна а, кхозлагӀчунна а, даьхнина тӀаьхьа богӀучу вукхарна а хьийхира цо ала дезарг: «Аша а иштта ала Ӏесаве, иза шайна дуьхьалкхетча.</verse>
				<verse number="20">Кхин тӀе а тоха: „Хьан ялхо Якъуб тхуна тӀаьхьа вогӀуш ву“, — алий». Якъуба ойла йора: «Ас дог кӀаддийр ду цуьнан, сайл хьалха хӀара совгӀаташ а дахьийтина. Юха, тхойша вовшахкхетча, цо со тӀеэца мега».</verse>
				<verse number="21">Иштта совгӀаташ хьалха дӀа а дахьийтина, шаьш севцначу меттехь буьйса йоккхуш Ӏийра Якъуб.</verse>
				<verse number="22">Цу буссехь шен ши зуда а, ши ялхо-зуда а, цхьайтта кӀант а эцна, Ябокх цӀе йолчу хин гечох дехьавелира Якъуб.</verse>
				<verse number="23">Доьзал а, шен бахам а хил дехьа баьккхира цо.</verse>
				<verse number="24">Якъуб ша висинчу хенахь сахиллалц цхьаъ лийтира цунах.</verse>
				<verse number="25">Шега Якъуб эша ца велча, цу стага, кхуьнан хенах чӀогӀа куьг а тоьхна, иза чуьрадаьккхира.</verse>
				<verse number="26">Юха цо элира: «ДӀахеца со, арахь серлайолуш ю». Амма Якъуба элира: «Ахь со декъалваллалц дӀахоьцур вац».</verse>
				<verse number="27">Стага хаьттира: «Хьан цӀе хӀун ю?» «Якъуб», элира Якъуба.</verse>
				<verse number="28">ТӀаккха стага элира: «ХӀинца дуьйна хьан цӀе Якъуб хир яц, Исраил хир ю, хӀунда аьлча хьо, Делах а, нахах а летта, кӀел ца висира».</verse>
				<verse number="29">Якъуба элира: «Доьху хьоьга, хьайн цӀе йийцахь суна». Амма стага хаьттира: «Сан цӀе хӀунда хоьтту ахь?» Цо Якъуб декъалвира.</verse>
				<verse number="30">Якъуба цу меттиган цӀе Пенуал (иза «Делан юьхь» бохург ду) тиллира. Цо элира: «Кху меттехь Делаца юьхь-дуьхьал а нисвелла, дийна висна со».</verse>
				<verse number="31">Малх цунна тӀехула хьалагӀаьттира, иза, астагӀа а лелхаш, Пенуалехула чекхволуш.</verse>
				<verse number="32">Цундела ца юу исраилхоша ха долчуьра хьорзам, хӀунда аьлча Дала Якъубан цу меттигах куьг тоьхна дела.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="33">
				<verse number="1">ДӀахьаьжначу Якъубана гира, шеца виъ бӀе стаг а валош, вогӀу Ӏесав. Леиний, Рахьалний, шина ялхочунний юкъахь бераш дӀасадийкъира Якъуба.</verse>
				<verse number="2">Ялхой-зударий а, церан бераш а хьалха хӀиттийра цо, Леа а, цуьнан бераш а царна тӀехьа хӀиттийра, ткъа Рахьал а, Юсуп а массарна а тӀехьа даьккхира.</verse>
				<verse number="3">Хьалхаваьлла дӀа а волавелла, шен вешина тӀекхочуш, ворхӀазза лаьтта тӀекхаччалц охьатаьӀира иза.</verse>
				<verse number="4">Амма Ӏесав, Якъубана дуьхьал а ведда, иза мара а воьллина, барташ даха хӀоьттира. И шиъ вилхира.</verse>
				<verse number="5">Зударий а, бераш а гина, Ӏесава хаьттира: «ХӀорш муьлш бу хьоьца берш?» Якъуба элира: «Дела соьца дика а хилла, Цо хьан ялхочунна делла бераш ду уьш».</verse>
				<verse number="6">Ялхой, шайн берашца тӀебаьхкина, охьатаьӀира Ӏесавана хьалха.</verse>
				<verse number="7">Юха Леа а, цуьнан бераш а тӀедаьхкина охьатаьӀира. Массарал тӀаьхьа тӀедеана Юсуп а, Рахьал а охьатаьӀира.</verse>
				<verse number="8">Ӏесава хаьттира Якъубе: «И дерриг а даьхни суна дуьхьал хӀунда даийтира ахь?» «Хьо резаван лаьара суна, сан эла», — аьлла, жоп делира Якъуба.</verse>
				<verse number="9">Ӏесава элира: «Сан дерриг а долуш ду, сан ваша. Хьайниг хьайна дита».</verse>
				<verse number="10">«ХӀан-хӀа, ас доьху хьоьга! — элира Якъуба. — Нагахь хьо суна резавелахь, дӀаэцахьа соьгара совгӀат. Хьан юьхь гар — Делан юьхь гар санна ду, сел дика со тӀеийци ахь.</verse>
				<verse number="11">Доьху хьоьга, дӀаэца соьгара и совгӀаташ, хӀунда аьлча, Дела соьца дика а хилла, оьшург дерриг а сан долуш ду». Якъуба чӀогӀа дехарна Ӏесава схьаийцира цуьнан совгӀаташ.</verse>
				<verse number="12">Юха Ӏесава элира: «ХӀинца дӀагӀур ду вай, со хьуна уллохь хир ву».</verse>
				<verse number="13">Амма Якъуба элира: «Хьуна гуш ду бераш гӀелделла хилар, цул сов, уьстагӀий а, хьелий а къона а, оза дезаш а ду сан. Нагахь цхьана дийнахь а лаьллина дигахь, даьхни хӀаллакьхир ду.</verse>
				<verse number="14">Хьо хьалха дӀагӀо, со хьуна тӀаьххье дӀавогӀур ву, сих а ца луш, даьхни а, бераш а схьадахкадаларе хьаьжжина. ТӀаккха сан эла волчу, СеӀир-махка, кхочур ву со».</verse>
				<verse number="15">Ӏесава элира: «Пурба ло суна хьайца масех сайн стаг вита». «Иза оьшуш дац, — элира Якъуба. — Хьо соьца дика хилар гичхьана тоьур ду суна».</verse>
				<verse number="16">Ӏесав оццу дийнахь СеӀир-махка юхавахара,</verse>
				<verse number="17">ткъа Якъуб Сакхат цӀе йолчу метте вахара (иза «кхалораш» бохург ду). Цигахь чохь Ӏан цӀа а, бежанашна кӀел хӀитта кхалораш а йира цо. Цундела аьлла цу меттигах Сакхат.</verse>
				<verse number="18">Падан-Арамера араваьллачхьана дуьйна, кхин хьовзам боцуш КанаӀан-махкарчу Шехем-гӀала схьакхечира Якъуб. ГӀалина хьалха арахь сецира иза.</verse>
				<verse number="19">БӀе дато ахча а делла, Шехеман дегара, Хьамуран доьзалера латта ийцира Якъуба. Цу тӀехь шен четар дӀахӀоттийра цо.</verse>
				<verse number="20">Цигахь сагӀа доккху меттиг а кечйина, цу меттигах «Эл» цӀе йолу Исраилан Дела аьлла, цӀе тиллира цо.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="34">
				<verse number="1">Якъубана Леас йина йоӀ Дина яхара меттигера зударий болчу.</verse>
				<verse number="2">Цу мехкан куьйгалхочун хьаьвихочун Хьамуран кӀантана Шехемна гира иза. Цо, схьа а лаьцна, хьийзийра йоӀ.</verse>
				<verse number="3">Дина даггара езаелла, цуьнца эсала къамел дира цо.</verse>
				<verse number="4">Шен дега Хьамуре элира Шехема: «И йоӀ суна ялаехьа».</verse>
				<verse number="5">Якъубана хиира шен йоӀ Дина хьийзийнийла, амма цуьнан кӀентий даьхни дажош арахь бара, цундела хӀумма а ца олуш Ӏара иза уьш цӀа бахккалц.</verse>
				<verse number="6">Шехеман да Хьамур веара Якъубца къамел дан.</verse>
				<verse number="7">Хилларг шайна хиъча, Якъубан кӀентий сихха арара цӀа баьхкира. Уьш чӀогӀа оьгӀазбахана бара, хӀунда аьлча Исраилан тӀаьхьенна юкъахь чӀогӀа эхье гӀуллакх дара Шехема динарг, Якъубан йоӀ а хьийзийна, ткъа и саннарг могуьйтийла дацара.</verse>
				<verse number="8">Хьамура элира цаьрга: «Даггара шун йоӀ езаелла сан кӀантана. Доьху шуьга, иза цуьнга маре яийтахьара аш.</verse>
				<verse number="9">Тхоьца захалонаш леладе: шайн йоӀарий тхоьга а бахкийта, тхайнаш шайна а бига.</verse>
				<verse number="10">Тхуна юккъехь даха ховша — латта шуна хьалха ду. Цу тӀехь Ӏан а Ӏе, мах а бе, хьал а гулде».</verse>
				<verse number="11">Шехема элира Динин дега а, вежаршка а: «Шу сайца дика хилийта хӀуъа а дийр дара ас, аш боххург лур а дара ас шуна.</verse>
				<verse number="12">Нускалх муьлхха а там а, совгӀаташ а деха, ас дӀалур ду шуна, аша иза сайга яийтачхьана».</verse>
				<verse number="13">Шайн йишин Динин сий дайина дела, Якъубан кӀентийн ойла хилира Шехем а, цуьнан да Хьамур а леван.</verse>
				<verse number="14">Цара элира: «И дойла яц тхан: сунтвазчу стаге тхайн йиша яхийтар эхье ду тхуна.</verse>
				<verse number="15">Тхо резахир ду, нагахь аш цхьа хӀума дахь: шаьш сунт а дина, тхо санна шу хилахь.</verse>
				<verse number="16">ТӀаккха оха шуьга тхайн йоӀарий а лур бу, шуниш а балор бу. Шуна юкъахь даха а хевшина, шуьца цхьа къам а хилла Ӏийр ду тхо.</verse>
				<verse number="17">Амма шу сунтдан реза ца хилахь, тхайн йиша схьа а эцна, тхо дӀагӀур ду».</verse>
				<verse number="18">Цу къамелана резахилира Хьамур а, цуьнан кӀант Шехем а.</verse>
				<verse number="19">Жимачу стага кхин хан ца йолуьйтуш кхочушдира цара аьлларг, хӀунда аьлча Якъубан йоӀ долаяккха лаьара цунна, ткъа Шехем шен ден хӀусамехь уггар лоруш верг вара.</verse>
				<verse number="20">Хьамур а, цуьнан кӀант Шехем а, адам гуллучу метте, шайн гӀалин кевне а веана, нахе вистхилира.</verse>
				<verse number="21">«И нах вайца дика бу, — элира цара. — Вайн лаьтта тӀехь Ӏойла уьш, мах а беш — кху лаьтта тӀехь царна тоъал меттиг ю. Вай церан йоӀарий балор бу, ткъа цара вайнаш буьгур бу.</verse>
				<verse number="22">Цхьа халкъ а хилла, вайца Ӏан реза бу уьш, цхьа хӀума дича: нагахь вайн божарий, церанаш санна, сунтбина хилахь.</verse>
				<verse number="23">Церан жаш а, бахам а, дерриг а даьхни а вайн хир дац тӀаккха? Резахила деза вай, тӀаккха уьш вайна юкъахь баха ховшур бу».</verse>
				<verse number="24">ГӀалин кевне гулбелларш Хьамура а, цуьнан кӀанта Шехема а бохучунна резахилира. ГӀалин кевнах арабевлла берриг а божарий сунтбира.</verse>
				<verse number="25">КхозлагӀчу дийнахь, уьш массо а лазаро хьийзош Ӏохкучу хенахь, гӀалара нах шаьш кхерамехь бац моьттуш бара. Ткъа Якъубан ши кӀант — ШимӀа а, Леви а, Динин вежарий, тарраш а эцна, гӀалина тӀелетира. Цара массо а божарий хӀаллакбира.</verse>
				<verse number="26">Тур тоьхна Хьамур а, цуьнан кӀант Шехем а вийна, церан цӀа чуьра Дина схьа а эцна, дӀабахара уьш.</verse>
				<verse number="27">Байина нах болчу чу а оьхуш, Якъубан кӀенташа гӀали чуьра хӀума дӀадаьхьира, шайн йиша цигахь хьийзийна дела.</verse>
				<verse number="28">Цара жаш а, бажа а, варраш а дӀадигира, гӀалахь а, арахь а дерг дӀадаьхьира.</verse>
				<verse number="29">ГӀалин бахархойн хьал а, бераш а, зударий а, цӀенош чохь дерг а схьаийцира Якъубан кӀенташа.</verse>
				<verse number="30">ТӀаккха Якъуба элира ШимӀе а, Левига а: «Аш суна тӀе бохам баийтина, кху лаьтта тӀехь Ӏаш болчу канаӀанхошна а, перезахошна а со бӀаьрга ван везар вац. Вай дукха дац, нагахь уьш, вовшах а кхетта, суна тӀелатахь, цара со а, вай массо а хӀаллаквийр ву».</verse>
				<verse number="31">Амма цара жоп делира: «Цу стагана, нахаца лела зуда санна, хета мегар ду ткъа тхан йиша?»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="35">
				<verse number="1">Дала элира Якъубе: «Бетал цӀе йолчу меттиге хьала а валий, хьайн вешех Ӏесавах хьо ведда вогӀучу хенахь хьуна Ша гайтина волчу Далла лерина сагӀа доккху меттиг кечъе цигахь».</verse>
				<verse number="2">Шен доьзале а, шеца болчаьрга а Якъуба элира: «ДӀакхийса шайгахь болу хийра цӀуш, цӀан а лой, тӀера бедар а хийца.</verse>
				<verse number="3">Цул тӀаьхьа новкъа довла кечло, вай Бетала гӀур ду. Халачу дийнахь сан доӀина жоп а делла, со миччанхьа а вахача, соьца хилла волчу Далла лерина сагӀа доккху меттиг кечйийр ю ас цигахь».</verse>
				<verse number="4">Шайгахь болу хийра цӀуш а, лергара чӀагарш а Якъубе дӀаелира цара. Цо уьш Шехем-гӀали уллохь ножан дитта кӀел лаьттах дӀайоьхкира.</verse>
				<verse number="5">Юха уьш новкъа бевлира. Дала кхерам тесира царна гонах йолчу гӀаланашкарчу нахана тӀе, цундела зуламна Якъубан берашна тӀаьхьа цхьа а ца велира.</verse>
				<verse number="6">Якъуб а, цуьнца берш а КанаӀан-махкахь йолчу Луз цӀе йолчу меттиге (хӀинца Бетал) баьхкира.</verse>
				<verse number="7">Цигахь цо Беталахь волчу Далла лерина сагӀа доккху меттиг кечйира, хӀунда аьлча кхузахь Дала Ша вовзийтира цунна, хӀара шен вешех ведда воьдучу хенахь.</verse>
				<verse number="8">Ребикха кхаьбна йолу Дебира елча, иза Бетална лахо лаьттачу ножана кӀел дӀайоьллира. Цундела тиллина цу меттиган цӀе Ӏалун Бахут (иза «делхаран наж» бохург ду).</verse>
				<verse number="9">Якъуб Падан-Арамера юхавеача, Дала, кхин цкъа а Ша гайтина, декъалвира иза.</verse>
				<verse number="10">Дала элира цуьнга: «Хьан цӀе Якъуб ю, амма хӀинца дуьйна хьох кхин Якъуб эр дац: хьан цӀе Исраил хир ю». Иштта Дала цуьнан цӀе Исраил тиллира.</verse>
				<verse number="11">Дала элира: «Со Нуьцкъала Дела ву. Алссам доьзалхой а хуьлуш, деба. Халкъ а, халкъийн доьзал а, паччахьаш а схьабевр бу хьох.</verse>
				<verse number="12">ИбрахӀимна а, Исхьакхана а делла латта хьуна дӀало Ас, хьан тӀаьхьенна а дӀалур ду Ас иза».</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха цуьнца къамел дечу меттера дӀавахара Дела.</verse>
				<verse number="14">Якъуба Дала шеца къамел динчу метте боккха тӀулг хӀоттийра. Цу тӀе Далла лерина чагӀар а, даьтта а доьттира цо.</verse>
				<verse number="15">Дала шеца къамел динчу меттиган цӀе юха а Бетал тиллира Якъуба.</verse>
				<verse number="16">Беталара дӀа а бахана, Эпрати-гӀалина уьш гена боцучу хенахь Рахьал беро хьовзийра.</verse>
				<verse number="17">ЧӀогӀа холчохь йолуш, бала хьоьгура цо. Бер схьаоьцуш йолчу зудчо элира: «Кхера ма кхера, хьан кхин цхьа кӀант хир ву».</verse>
				<verse number="18">Шен са дӀадалале Рахьала кӀентан цӀе Бен-Они тиллира (иза «сан баланийн кӀант» бохург ду), амма дас Бен-Яман элира цунах (иза «сан аьтто куьйган кӀант» бохург ду).</verse>
				<verse number="19">Рахьал кхелхира. Эпрати-гӀала (я Байтлахам) боьдучу новкъахь дӀайоьллира иза.</verse>
				<verse number="20">Цуьнан коша тӀехь чуртана тӀулг хӀоттийра Якъуба. И тӀулг хӀинца а Рахьалан коша тӀехь лаьтташ бу.</verse>
				<verse number="21">Шен некъ кхидӀа а бина, Мигдал Ӏедар олучу меттехь четар хӀоттийра Исраила.</verse>
				<verse number="22">Исраил цу меттехь Ӏаш волуш, Раабан шен ден ялхочуьнца Балхьатца дӀавижира. Исраилна хиира иза. Якъубан шийтта кӀант вара.</verse>
				<verse number="23">Леас бина кӀентий: Якъубан дуьххьарлераниг — Раабан, юха ШимӀа, Леви, ЯхӀуд, Иссархан, Забул.</verse>
				<verse number="24">Рахьала бина кӀентий: Юсуп а, Бен-Яман а.</verse>
				<verse number="25">Рахьалан ялхочо Балхьата бина кӀентий: Дан а, Наптал а.</verse>
				<verse number="26">Леин ялхочо Залпаа бина кӀентий: Гада а, Ашар а. Уьш Якъубана Падан-Арамехь бина кӀентий бара.</verse>
				<verse number="27">Кхиръят-АрбаӀ (хӀинца Хьеврон) уллохь йолу Мамари цӀе йолчу меттехь Ӏачу шен дена Исхьакхана тӀевахара Якъуб. Цигахь цхьана хенахь тӀевеана Ӏийнера ИбрахӀим а, Исхьакх а.</verse>
				<verse number="28">Исхьакхан бӀе дезткъа шо дара.</verse>
				<verse number="29">Дуьнен чохь дуккха а хан яьккхина, кхелхича, шен дайх дӀакхийтира Исхьакх. Цуьнан кӀенташа Ӏесава а, Якъуба а дӀавоьллира иза.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="36">
				<verse number="1">Ӏесаван (я кхечу тайпана аьлча Эдоман) тӀаьхье хӀара ю.</verse>
				<verse number="2">КанаӀан-махкара зударий балийра Ӏесава: Ӏада а, АхӀлибам а, Басамат а. Ӏада яра хьетахочун Эйлонан йоӀ. АхӀлибам яра Ӏанин йоӀ а, хьаьвихочун ЦӀибӀонан кӀентан йоӀ а.</verse>
				<verse number="3">Ткъа Басамат яра ИсмаьӀалан йоӀ а, Набуятин йиша а.</verse>
				<verse number="4">Ӏадас Ӏесавана Элипаз вира, Басамата РаӀал вира.</verse>
				<verse number="5">АхӀлибама ЕӀуш а, ЯӀлам а, Кхорахь а вира. КанаӀан-махкахь Ӏесавана бина кӀентий бара уьш.</verse>
				<verse number="6">Шен зударий а, кӀентий а, йоӀарий а, цӀахь болу ялхой а, даьхни а, КанаӀанахь гулбина бахам а эцна, шен ваша Якъуб волчуьра кхечу метте дӀавахара Ӏесав.</verse>
				<verse number="7">Цу шиннан дуккха а хьал а, даьхни а дара. Уьш тӀебаьхкина Ӏаш болчу лаьтта тӀехь дӀатарвала а, ваха а царна хала дара.</verse>
				<verse number="8">Иштта, дӀавахна, СеӀир-махкахь ваха хиира Ӏесав (я Эдом).</verse>
				<verse number="9">СеӀир-лаьмнашкахь Ӏийначу эдомхойн ден Ӏесаван тӀаьхье хӀара ю.</verse>
				<verse number="10">Ӏесаван кӀентийн цӀераш яра: Ӏесаван зудчун Ӏадин кӀант Элипаз а, Ӏесаван зудчун Басаматан кӀант РаӀал а.</verse>
				<verse number="11">Элипазан кӀентий: Теман, Омар, Цепа, ГаӀтам, Кхеназ.</verse>
				<verse number="12">Ӏесаван кӀентан Элипазан ТамнаӀ цӀе йолуш ялхо яра. Цо Элипазана Ӏамалекх вира. Уьш Ӏесаван зудчун Ӏадин берийн бераш дара.</verse>
				<verse number="13">РаӀалан кӀентий бара Нахьати, Зерахь, Шама, Миза. Уьш Ӏесаван зудчун Басаматан берийн бераш дара.</verse>
				<verse number="14">Ӏесаван зудчо, Ӏанин йоӀа, ЦӀибӀонан кӀентан йоӀа АхӀлибама Ӏесавана бина кӀентий бара ЕӀуш, ЯӀлам, Кхуорахь.</verse>
				<verse number="15">Ӏесаван тӀаьхьенах баьччанаш бара хӀорш: Ӏесаван дуьххьарлерачу кӀентан Элипазан кӀентий: баьччанаш Теман, Омар, Цепа, Кхеназ,</verse>
				<verse number="16">Кхуорахь, ГаӀтам, Ӏамалекх. Уьш Эдомехь Элипазах схьабевлла баьччанаш бара. Иштта Ӏадин берийн бераш а дара уьш.</verse>
				<verse number="17">Ӏесаван кӀентан РаӀалан кӀентий бара: баьччанаш Нахьати, Зерахь, Шама, Миза. Уьш Эдомехь РаӀалах схьабевлла баьччанаш бара. Иштта Ӏесаван зудчун Басаматан берийн бераш а дара уьш.</verse>
				<verse number="18">Ӏесаван зудчун АхӀлибаман кӀентий: баьччанаш ЕӀуш, ЯӀлам, Кхуорахь. Ӏесаван зудчо, Ӏанин йоӀа АхӀлибама, бина баьччанаш бара уьш.</verse>
				<verse number="19">Уьш Ӏесаван (Эдоман) кӀентий а, церан баьччанаш а бара.</verse>
				<verse number="20">Ӏесав вале Эдомехь Ӏийнера хьорихо СеӀир. Цуьнан бара кӀентий: Лутани, Шубали, ЦӀибӀон, Ӏана,</verse>
				<verse number="21">Дишон, Эцар, Дишан. Эдомехь болу СеӀиран и кӀентий хьорихойн баьччанаш бара.</verse>
				<verse number="22">Лутанин кӀентий: Хьори а, ХӀейма а. ТамнаӀ Лутанин йиша яра.</verse>
				<verse number="23">Шубалин кӀентий: Ӏалван, Манахьат, Ӏейбал, Шапи, Онам.</verse>
				<verse number="24">ЦӀибӀонан кӀентий: АяхӀу, Ӏана. Шен ден ЦӀибӀонан варраш яжош, яьссачу арахь довха хи карийна Ӏана вара иза.</verse>
				<verse number="25">Ӏанин бераш: Дишон а, Ӏанин йоӀ АхӀлибам а.</verse>
				<verse number="26">Дишонан кӀентий: Хьемдан, Эшбан, Итран, Керан.</verse>
				<verse number="27">Эцаран кӀентий: БилхӀан, ЗаӀван, Ӏакхан.</verse>
				<verse number="28">Дишанан кӀентий: ӀуцӀа, Арани.</verse>
				<verse number="29">Хьорихойн баьччанаш бара Лутани, Шубали, ЦӀибӀон, Ӏана,</verse>
				<verse number="30">Дишон, Эцар, Дишан. Уьш СеӀир-махкахь шайн-шайн тобанашкахь хьорихойн баьччанаш бара.</verse>
				<verse number="31">Исраилан махкахь паччахьаш хилале Эдомехь хӀара паччахьаш бара:</verse>
				<verse number="32">БеӀаран кӀант БулаӀ. Цуьнан гӀалин цӀе ДинхӀаба яра.</verse>
				<verse number="33">БулаӀ велча, цуьнан метта Бацар-гӀаларчу Зерахьан кӀант Ябаб паччахь хилира.</verse>
				<verse number="34">Ябаб велча, цуьнан метта теманхойн махкара Хьушам паччахь хилира.</verse>
				<verse number="35">Хьушам велча, цуьнан метта Бедадан кӀант ХӀадад паччахь хилира. Муаби-махкахь маданхошна тӀехь толам баьккхина вара иза. Цуьнан гӀалин цӀе Ӏавит яра.</verse>
				<verse number="36">ХӀадад велча, цуьнан метта Масрекха-гӀалара Самла паччахь хилира.</verse>
				<verse number="37">Самла велча, цуьнан метта хина йистера Рехьабат-гӀалара Шаул паччахь хилира.</verse>
				<verse number="38">Шаул велча, цуьнан метта Ӏахбаран кӀант БаӀал-Хьанан паччахь хилира.</verse>
				<verse number="39">Ӏахбаран кӀант БаӀал-Хьанан велча, цуьнан метта ХӀадад паччахь хилира. Цуьнан гӀалин цӀе ПаӀу яра. Мезахьабан йоӀан Матарадан йоӀ Ма-ХӀайтӀабал яра цуьнан зуда.</verse>
				<verse number="40">ХӀорш ю Ӏесаван тӀаьхьенах болчу баьччанийн цӀераш, церан тайпанашка а, лаьттанашка а хьаьжжина: ТамнаӀ, Ӏаьлви, Етат,</verse>
				<verse number="41">АхӀлибам, Эла, Пинан,</verse>
				<verse number="42">Кхеназ, Теман, Мубацар,</verse>
				<verse number="43">Магдаал, Ӏирам. Эдомхойн ден Ӏесавах схьабевлла баьччанаш бара уьш. Шайн долахь долчу лаьтта тӀехь шайн-шайн тайпанашца Ӏаш бара уьш.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="37">
				<verse number="1">Якъуб шен да ваьхначу КанаӀан-махкахь Ӏаш вара.</verse>
				<verse number="2">ХӀара ду Якъубан тӀаьхьенах хилларг. ВуьрхӀитта шо долу Юсуп шен вежаршца ден уьстагӀий а, гезарий а яжош вара. Цуьнца хуьлуш болу цуьнан вежарий Якъубан шиннан зудчун Балхьатан а, Залпаан а кӀентий бара. Юсупа шен вежарша дина вон хӀума дега дӀадуьйцура.</verse>
				<verse number="3">Исраил (я Якъуб) воккха стаг волчу хенахь дуьнен чу ваьлла вара Юсуп, цундела вукху кӀентел дукхавезара цунна иза. Цо Юсупна хаза кечдина духар делира.</verse>
				<verse number="4">Шайл а алсам дена дукхавезийла хиъча, вежаршна Юсуп ца вийзира, цуьнца бертахь къамел дан а ца лаьара царна.</verse>
				<verse number="5">Цкъа Юсупна гӀан гира. Цо иза вежаршна дийцира, царна Юсуп кхин а чӀогӀа ца вийзира.</verse>
				<verse number="6">Цо элира цаьрга: «ЛадогӀийша, суна хӀун гӀан гина.</verse>
				<verse number="7">Вай кха тӀехь цӀевнаш доьхкуш дара. ЦӀеххьана сан цӀов, айа а белла, дӀанисбелира, шун цӀевнаш, цунна гонах а хӀиттина, цунна охьатаьӀира».</verse>
				<verse number="8">Вежарша элира цуьнга: «Хьо паччахь а хилла, тхуна тӀехь куьйгалла деш хир ву моьтту хьуна?» Цуьнан гӀан а, иза дийцар а бахьана долуш кхин а чӀогӀа ца вийзира царна иза.</verse>
				<verse number="9">Кхин цхьа гӀан а гира Юсупна, иза а вежаршна дийцира цо: «ЛадогӀийша, кхин цхьа гӀан а гира суна: хӀинца суна хьалха охьатаьӀаш малх а, бутт а, цхьайтта седа а бара».</verse>
				<verse number="10">Вежаршна дийцина ца Ӏаш, дена а дийцира цо и гӀан. Дас бехк баьккхира цуьнга: «И хӀун гӀан ду хьуна гинарг? Со а, хьан нана а, хьан вежарий а, дахка а даьхкина, хьуна хьалха охьатаьӀар ду ткъа?»</verse>
				<verse number="11">Вежарий хьоьгура цунах, амма дас дагахь латтадора и хилларг.</verse>
				<verse number="12">Шайн ден жаш дажо Шехем олучу метте бахара вежарий.</verse>
				<verse number="13">Исраила элира Юсупе: «Шехемна уллохь жа дажош бу хьан вежарий, хьо царна тӀевахийта воллу со». «Со кийча ву», — жоп делира Юсупа.</verse>
				<verse number="14">Дас элира цуьнга: «Ваха а гӀой, хьажа хьайн вежарий хӀун деш бу а, жа муха ду а, юха а волий, суна жоп а да цунах лаций». Хьеврон-тогӀи чуьра Шехеме вахийтира цо Юсуп.</verse>
				<verse number="15">Цигахь тила а велла, арахула иза лелачу хенахь цунна дуьхьалкхийтира цхьа некъахо. Цо хаьттира Юсупе: «Ахь хӀун лоьху?» — аьлла.</verse>
				<verse number="16">Юсупа элира: «Ас сайн вежарий лоьху. Алахьа соьга, мичахь бу уьш шайн жаш дажош?»</verse>
				<verse number="17">«Уьш кхузара дӀабахна, — жоп делира цу некъахочо. — Суна хезира цара олуш: „Дотане гӀур ду вай“». ТӀаьхьаваханчу Юсупна шен вежарий Дотан олучу гӀалина уллохь карийра.</verse>
				<verse number="18">Геннахь Юсуп тӀевогӀуш а гина, шайна и тӀекхачале вежарша барт бира иза вен.</verse>
				<verse number="19">«Хьуьлла вогӀу хӀара гӀенаш гуш верг! — элира цара. —</verse>
				<verse number="20">Вен а вийна, гӀуна чу кхосса веза вай иза, цӀахь иза экхано виъна эр ду вай. ТӀаккха хуур ду вайна цуьнан гӀенех хӀун хуьлу».</verse>
				<verse number="21">И къамел хезча, Юсуп кӀелхьарваккха луучу Раабана элира: «ХӀан-хӀа, иза вуьйр вац вай».</verse>
				<verse number="22">Кхин а элира цо: «ЦӀий ма Ӏанаделаш. Яьссачу арара оцу гӀуна чу кхосса иза, амма цунна тӀе куьг ма айа». Царах иза кӀелхьара а ваьккхина, да волчу дӀавахийта лууш вара Раабан.</verse>
				<verse number="23">Юсуп вежаршна тӀевеача, цунна тӀера еза, хаза кечйина бедарш схьаехира цара.</verse>
				<verse number="24">Юха чохь хи доцучу, яьссачу гӀуна чу кхоьссира иза вежарша.</verse>
				<verse number="25">ХӀума яа охьахевшича, царна гира ГалӀад цӀе йолчу меттера эмкалийн къепалца богӀу ИсмаьӀалан тӀаьхьенах болу нах. Хаза хьожа йогӀучу бецех а, зезагех дина тайп-тайпана хьакхарех а эмкалш а йоьттина, Мисар-махка боьлхура уьш.</verse>
				<verse number="26">ЯхӀуда элира вежаршка: «Вайна хӀун пайда бу, ваша вен а вийна, цунах дерг лачкъийна Ӏийча?</verse>
				<verse number="27">Цул а оцу нахана дӀавухкур ву вай иза, цунна тӀе куьг айа а дезар дац — вайн ваша ма ву иза». Вежарий резахилира цо аьллачунна.</verse>
				<verse number="28">ИсмаьӀалан тӀаьхьенах болу и маданхойн совдегарш тӀехбовлучу хенахь вежарша Юсуп, гӀуна чуьра хьала а ваьккхина, ткъа детин ахчанах царна воьхкира. Цу наха иза Мисара дӀавигира.</verse>
				<verse number="29">Раабанна ца хаьара хилларг. ГӀуна тӀе вахача, цигахь Юсуп а ца гина, холчу хӀоьттина, шена тӀера хӀуманаш этӀийра цо.</verse>
				<verse number="30">Юха а веана, цо элира вежаршка: «КӀант цигахь вац! Со хӀинца дена хьалха муха гӀур ву?»</verse>
				<verse number="31">ТӀаккха цара, бож а йийна, цуьнан цӀий хьаькхира Юсупан куча тӀе.</verse>
				<verse number="32">Юха, и коч шайн дена тӀе а яьхьна, цара элира: «ХӀара карийна тхуна. Хьажахь, хьан кӀентан юй хӀара?»</verse>
				<verse number="33">Коч евзинчу дас элира: «ХӀара сан кӀентан коч ю! Иза экхано виъна! Юсуп цистина дӀаваьккхина».</verse>
				<verse number="34">Шена тӀера бедарш а этӀийна, Ӏаьржа духар а дуьйхина, дуккха а деношкахь кӀантах белхар дира Якъуба.</verse>
				<verse number="35">Массо а цуьнан кӀентий а, йоӀарий а иза теван гӀертара, амма иза тен дагахь вацара: «Сайн кӀантана сагатдеш, эхарта дӀагӀур ву со», — бохура цо. КхидӀа а белхар дира дас.</verse>
				<verse number="36">Ткъа цу хенахь маданхоша Мисар-махкахь пирӀунан гӀаролан хьаькам волчу Патипарна воьхкира Юсуп.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="38">
				<verse number="1">Цу хенахь шен вежарий болчуьра дӀа а вахана, Ӏадулам олучу меттера волу Хьира цӀе йолу стаг волчохь Ӏаш вара ЯхӀуд.</verse>
				<verse number="2">Цигахь ЯхӀудана ШуӀа цӀе йолчу канаӀанхочун йоӀ евзира. Яла а йина, цунах кхийтира иза.</verse>
				<verse number="3">Зудчо кӀант вича, цуьнан цӀе Ӏаьр тиллира.</verse>
				<verse number="4">Юха а доьзалхочух а хилла, кӀант вира ЯхӀудан зудчо. КӀентан цӀе Онан тиллира цо.</verse>
				<verse number="5">Кезаб олучу меттехь шена кхин цхьа кӀант а вича, цуьнан цӀе Шейла тиллира цо.</verse>
				<verse number="6">Шен дуьххьарлерачу кӀантана Ӏаьрана Тамара цӀе йолуш зуда ялийра ЯхӀуда.</verse>
				<verse number="7">Амма Шена хьалха Ӏаьр къиношца Ӏарна, Везачу Эло са ийцира цуьнан.</verse>
				<verse number="8">ТӀаккха ЯхӀуда элира Онане: «Хьайн вешех йисинчуьнца дӀа а вижна, марвешин декхар кхочушдан деза ахь вешин тӀаьхье хилийта».</verse>
				<verse number="9">Амма Онанна хаьара оцу тӀаьхьенан да ша хир воций, цундела хӀоразза а вешин зудчуьнца дӀавижча, бер ца хуьлу агӀо лелайора цо.</verse>
				<verse number="10">Везачу Элана хьалха къилахь дара Онана лелош дерг, цундела Цо цуьнан а са дӀаийцира.</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха оцу шинна хилларг жимаха волчу кӀантана Шейлана хиларна кхоьруш, ЯхӀуда элира шен несе Тамаре: «Сан кӀант Шейла воккха хиллалц, хьайн да волчу дӀа а гӀой, йисина Ӏаш йолу зуда Ӏа ма-еззара Ӏе». Тамара шен ден цӀа дӀаяхара.</verse>
				<verse number="12">Дикка хан яьлча, ЯхӀудан зуда, ШуӀин йоӀ, елира. Шен са тийначул тӀаьхьа ЯхӀуд шен уьстагӀий лоргуш болу нах болчу Тамне вахара. Ӏадулам-гӀалара цуьнан доттагӀа Хьира а вахара цуьнца.</verse>
				<verse number="13">Тамаре элира: «Хьан марда Тамне уьстагӀий ларга воьдуш ву».</verse>
				<verse number="14">Йисина Ӏачу зудчун духар дӀа а даьккхина, юьхь къайлайоккхуш тӀе хӀума а кхоьллина, Тамне боьдучу новкъахь йолчу Ӏенаим-гӀалех чувулучу меттехь охьахиира иза. Цунна гора, Шейла воккха хиллехь а, ша цуьнга маре дӀа ца ялар.</verse>
				<verse number="15">Тамара шена гича, цуьнан юьхь дӀакъевлина хиларна цунах нахаца лела зуда таръелира ЯхӀудана.</verse>
				<verse number="16">Зудчунна тӀе а вахана, цо элира: «Ялохьа, хьайца дӀавижийтахьа со». Цунна ца хаьара иза шен нус юйла. Зудчо хаьттира: «Ахь хӀун лур ю суна хьо сайца дӀавуьжуьйтург?»</verse>
				<verse number="17">ЯхӀуда жоп делира: «Ас сайн жена юкъара буьхьиг йоуьйтур ю хьуна». Зудчо юха а хаьттира: «Закъалтана хӀума лур юй ахь, буьхьиг схьаяийтталц?»</verse>
				<verse number="18">ЯхӀуда хаьттира: «ХӀун закъалт ло хьуна?» Зудчо жоп делира: «Хьан мухӀар а, цу тӀера тӀийриг а, хьан карара Ӏаса а оьшу суна». Цо йоьхург дӀа а елла, цуьнца дӀавижира ЯхӀуд. Тамара доьзалхочух хилира цунах.</verse>
				<verse number="19">Цигара дӀа а яхана, ша тӀеоьхкина хӀуманаш дӀа а яьхна, йисина Ӏачу зудчун духар тӀедуьйхира цо.</verse>
				<verse number="20">Цу хенахь ЯхӀуда шен доттагӀа Ӏадуламхо Хьира вахийтира, буьхьиг а эцна, ша закъалтана елла хӀуманаш цу зудчуьнгара схьаэца. Амма доттагӀчунна и зуда ца карийра.</verse>
				<verse number="21">Цо хаьттира цигарчу нахе: «Ӏенаим уллохула болучу некъан йистехь Ӏийна, цӀуйн дуьхьа нахаца лелаш йолу еза зуда мичахь ю?» — аьлла. Цара жоп делира: «Кхузахь-м ца хилла цхьа а цӀуйн дуьхьа нахаца лела еза зуда».</verse>
				<verse number="22">ЯхӀуд волчу юха а веана, Хьирас элира: «Суна иза ца карий, цигарчу наха: „Кхузахь-м яц цхьа а цӀуйн дуьхьа нахаца лела еза зуда“, — боху».</verse>
				<verse number="23">ЯхӀуда элира: «Делахь шегахь йисинарг шена юьтур цо, вайх нах белийта ца лаьа суна. Ас цунна буьхьиг яхьийтира, амма хьуна и зуда ца карийна».</verse>
				<verse number="24">Кхо бутт баьлча, ЯхӀуде элира: «Нахаца а лелла, доьзалхочух хилла хьан нус Тамара!» ЯхӀуда элира: «Ара а яккхий, ягае иза!»</verse>
				<verse number="25">Амма ша дӀаюьгучу хенахь мардена тӀе стаг вахийтира Тамарас: «ХӀара хӀуманаш йолчу стагах доьзалхочух ю со. ДӀахьажал, хьенан ду хаьий хьуна хӀара мухӀар а, тӀийриг а, Ӏаса а», — аьлла.</verse>
				<verse number="26">ЯхӀудана евзира и хӀуманаш, цо элира: «Сан болчул а бехк бац цуьнан, хӀунда аьлча ас сайн кӀанте Шейле иза дӀа ца елира». Кхин цуьнца дӀа ца вижира ЯхӀуд.</verse>
				<verse number="27">Доьзалхо хуьлу хан тӀекхаьчча, Тамарин кийрахь шала бераш дуйла хиира.</verse>
				<verse number="28">Бер хуьлучу хенахь хьалхарчу доьзалхочун куьг гучудаьлча, бер схьаоьцучу зудчо, цуьнан куьйгах цӀен тай а дихкина, элира: «ХӀара хьалхара ву».</verse>
				<verse number="29">Амма кӀанта куьг юха а даьккхина, хьалха цуьнан ваша велира дуьнен чу. Бер схьаоьцучу зудчо элира: «Хьо муха чекхвели, Парас?!» Цу кӀентан цӀе Парас тиллира (иза «чекхвалар» бохург ду).</verse>
				<verse number="30">Юха куьйга тӀехь цӀен тай дерг а велира гучу. Цуьнан цӀе Зерахь тиллира (иза «сатасар» бохучух тера ду).</verse>
			</chapter>
			<chapter number="39">
				<verse number="1">ИсмаьӀалан тӀаьхьенах болчу совдегарша Мисар-махка валийра Юсуп. ПирӀунан гӀаролан хьаькам а волуш, цунна уллорчех цхьаъ волчу мисархочо Патипара ийцира иза цаьргара.</verse>
				<verse number="2">Веза Эла вара Юсупца, цуьнан дика аьтто хилира. Хьолахо волчу мисархочун хӀусамехь вехаш вара иза.</verse>
				<verse number="3">Цуьнан хӀусаман дена гора Веза Эла Юсупца хилар а, цо дечу гӀуллакхаш тӀехь гӀо деш Иза хилар а.</verse>
				<verse number="4">Патипар реза вара Юсупна. Цунах хьалхара ялхо вира цо, цӀа а, берриг бахам а Юсупе лело дӀа а белла.</verse>
				<verse number="5">ХӀусамдас Юсуп куьйгалла дан хӀоттийчхьана дуьйна, Везачу Эло декъалйира мисархочун хӀусам Юсупан дуьхьа. Везачу Элан беркат доьссира Патипаран долахь долчунна дерригенна а тӀе: цӀенна а, аренна а.</verse>
				<verse number="6">Цундела цо Юсупах тешна дитинера доллу хӀума а. Юсуп бахьана долуш цхьана а хӀуманна гӀайгӀа яцара цунна, ша юучун бен. Юсуп куц долуш а, хаза а вара.</verse>
				<verse number="7">Дукха хан ялале хӀусамден зуда кхуьнга хьежа елира. Цо элира Юсупе, шеца дӀавижа аьлла.</verse>
				<verse number="8">Амма Юсуп реза ца хилира, цо бохура: «Со волчохь сан эло цхьана а цӀа чохь йолчу хӀуманна гӀайгӀа бан ца оьшу, шен долахь дерг дерриг а сох тешна дитина цо.</verse>
				<verse number="9">Кху цӀа чохь со коьртаниг ву. Сан эло оьшург дерриг а луш ду суна, цхьа хьо йоцург, хӀунда аьлча хьо цуьнан зуда ю. Ас муха бийр бу вон болх, Далла хьалха къа муха латор ду?»</verse>
				<verse number="10">ХӀора дийнахь цу зудчо доьххушехь, цуьнца дӀавижа а, хила а реза ца хуьлура иза.</verse>
				<verse number="11">Цкъа цӀеранаш чохь боцучу хенахь, цхьа гӀуллакх а хилла, чувеара Юсуп.</verse>
				<verse number="12">Цуьнан бедар схьа а лаьцна, зудчо элира: «ДӀавижа соьца!» Амма тӀехулара бедар зудчун карахь а юьсуш, ведда араиккхира Юсуп.</verse>
				<verse number="13">Шегахь бедар а йитина, иза дӀаведдийла а гина,</verse>
				<verse number="14">зудчо, ялхой схьа а кхайкхина, элира: «Хьовсийша, хӀара Ӏебархо вайн цӀа чу валийна, ткъа хӀара вай сийсаздеш ву! Кху чу а веана, соьца дӀавижа гӀерташ вара иза, амма со мохь хьекха хӀоьттича,</verse>
				<verse number="15">шен бедар соьгахь а йитина, веди иза».</verse>
				<verse number="16">Юсупан тӀеюху хӀума шегахь йитира зудчо, хӀусамда цӀа валлалц.</verse>
				<verse number="17">Цунна а изза дийцира цо: «Ахь валийна Ӏебархойн лай со йолчу а веана, со хьийзо гӀерташ вара,</verse>
				<verse number="18">амма ас мохь хьаькхча, шен бедар соьгахь а йитина, ведира иза».</verse>
				<verse number="19">«Хьан лай сан сий дайа гӀоьрти!» — бохура зудчо. Цо дуьйцучуьнга ла а доьгӀна, чӀогӀа оьгӀазвахара Патипар.</verse>
				<verse number="20">Схьа а лаьцна, паччахьан тутмакхаш болчу набахти чу воьллира цо Юсуп. Иштта набахти чу кхечира иза.</verse>
				<verse number="21">Амма цигахь а Веза Эла вара цуьнца. Гуттар а кхуьнан дола деш Ша хиларна, набахтин коьртачу хьаькамана хӀара дикачу агӀор гайтира Везачу Эло.</verse>
				<verse number="22">Набахтин коьртачу хьаькамо массо а тутмакхашна тӀехь куьйгалла дан а, набахтехь долчу хьолах жоп дала а хӀоттийра Юсуп.</verse>
				<verse number="23">Цунна ша тӀедиллинчу гӀуллакхна сагатдан ца оьшура набахтин коьртачу хьаькамо, хӀунда аьлча, Юсупан массо а хӀуманна тӀехь аьтто беш, Веза Эла вара цуьнца.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="40">
				<verse number="1">Дукха хан ялале Мисаран паччахьан ши ялхо, чагӀардуттург а, бепигдоттург а, шайн элана, Мисар-мехкан паччахьна хьалха бехке хиллера.</verse>
				<verse number="2">ПирӀун оьгӀазвахнера шен коьртачу чагӀардуттучунна а, коьртачу бепигдоттучунна а.</verse>
				<verse number="3">Цо и шиъ Юсуп чувоьллина волчу, цуьнан элан Патипаран цӀенца йолчу набахти чу воллийтира.</verse>
				<verse number="4">Набахтин коьртачу хьаькамо уьш Юсупе дӀабелира. Юсуп церан гӀуллакхе хьожуш вара. Чувоьллинчул тӀаьхьа жимма хан яьлча, цу шина ялхочунна</verse>
				<verse number="5">цхьана буса гӀан гира. ХӀора гӀенан шен маьӀна дара.</verse>
				<verse number="6">ШолгӀачу Ӏуьйранна уьш болчу веача, Юсупна гира и шиъ гӀайгӀане воьжна.</verse>
				<verse number="7">Шеца шен хӀусамден цӀа чохь чубоьхкинчу пирӀунна уллорчу элашка хаьттира цо: «Тахана сел гӀайгӀане хӀунда ву шуьшиъ?»</verse>
				<verse number="8">«Тхойшинне а гӀан гина, — жоп делира цара, — ткъа цунах дерг кхето стаг вац». Юсупа элира цаьрга: «Кхетор Делера дац ткъа? Дийцал суна шайн гӀенаш».</verse>
				<verse number="9">Коьртачу чагӀардуттучо дийцира Юсупна шен гӀан: «Суна гӀенах кемсийн таьлланг гира.</verse>
				<verse number="10">Цу тӀехь кхо га дара. Таьлланго заза даьккхира, юха зазанах цу сохьта кемсийн хорханаш хилира.</verse>
				<verse number="11">Сан карахь пирӀунан кад бара. Ас, кемсаш а яьхна, кеда чу мутт а даьккхина, пирӀуне кад дӀабелира».</verse>
				<verse number="12">«Цуьнан маьӀна иштта ду, — элира цуьнга Юсупа. — Кхо га — иза кхо де ду.</verse>
				<verse number="13">Кхо де даьлча, пирӀуно хьо лаккха айина, хьалха хиллачу метте дӀахӀоттор ву. Ахьа, хьалха ма-баллара, пирӀуне кад дӀалур бу.</verse>
				<verse number="14">Амма ас доьху хьоьга, хьайна дика хан тӀееача, со дага а ваийтий, суна дика болх хилийтархьама пирӀуне со хьахавелахь, набахти чуьра араваккха алий.</verse>
				<verse number="15">Ӏебархойн махкара нуьцкъах схьавалийна со, кхузахь а набахти чуволлал хӀума а ца даьлла соьгара».</verse>
				<verse number="16">Юсупа динчу маьӀнина реза а хилла, коьртачу бепигдоттучо элира цуьнга: «Суна а гира гӀан: ас коьрта тӀехь латтош кхо тускар дара, чохь бепиг а долуш.</verse>
				<verse number="17">Лакхарчу тускар чохь пирӀунна деттина бепиг дара, амма иза олхазарша, зӀакарш а етташ, дууш дара».</verse>
				<verse number="18">«Цуьнан маьӀна иштта ду, — элира Юсупа. Кхо тускар — иза кхо де ду.</verse>
				<verse number="19">Кхо де даьлча, хьо а пирӀуно лаккха хьалаойур ву — хьокханна тӀе а хаийна, ткъа олхазарша хьан дегӀах зӀакарш еттар ю».</verse>
				<verse number="20">Кхо де даьлча, пирӀунан вина де дара. Цо той хӀоттийра шена уллорчарна. Уьш гонах а болуш, пирӀуно лаккха хьалаайира коьрта чагӀардуттург а, коьрта бепигдоттург а.</verse>
				<verse number="21">Коьрта чагӀардуттург шен хьалхалерчу метте дӀахӀоттийра цо, вукхо юха а пирӀунан кара кад белира.</verse>
				<verse number="22">Ткъа коьрта бепигдоттург хьалаоьллира, Юсупа маьӀна деш ма-аллара.</verse>
				<verse number="23">Амма коьртачу чагӀардуттучунна Юсуп дага ца веара, цунна иза вицвеллера.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="41">
				<verse number="1">Дийнна ши шо чекхдаьлча, пирӀунна гӀан гира: ша Нил цӀе йолчу хина йистехь лаьтташ,</verse>
				<verse number="2">хи чуьра берстана а, хаза а ворхӀ етт, хьала а баьлла, эрзашкахь бажа хӀоьттира.</verse>
				<verse number="3">Царна тӀаьххье кхин ворхӀ етт схьабелира Нил чуьра. И бежанаш гӀийла а, ирча а дара. Берда тӀехь вукхарна юххе дӀахӀиттира уьш.</verse>
				<verse number="4">ГӀийлачу бежанаша дерстанаш диира. Эццахь пирӀун самавелира.</verse>
				<verse number="5">Юха иза дӀавижча, кхин гӀан гира цунна: цхьана гӀода тӀехь буьззина а, хаза а ворхӀ кан бара.</verse>
				<verse number="6">Юха царна тӀаьххье хьалабелира кхин ворхӀ кан. Уьш гӀийла а, малхбалерчу мохо багийна а бара.</verse>
				<verse number="7">ГӀийлачу кенаша дуьззина долу кенаш дӀадиира. Самаваьллачу пирӀунна иза гӀан дуйла хиира.</verse>
				<verse number="8">Ӏуьйранна синтем байна вара иза. Мисар-махкара массо а бозбунча а, хьекъал долу стаг а схьа а кхайкхина, царна шен гӀенаш дийцира цо. Амма цхьанна а церан маьӀна дан ца хиира.</verse>
				<verse number="9">ТӀаккха коьртачу чагӀардуттучо элира пирӀуне: «ХӀинца суна дагадеа со бехке хилар.</verse>
				<verse number="10">Цхьана хенахь пирӀун оьгӀазвахнера шен ялхошна. Со а, коьрта бепигдоттург а пирӀунан гӀаролан хьаькаман цӀенца йолчу набахти чу воллийтира.</verse>
				<verse number="11">Суна а, сан накъостана а набахтехь цхьана буса гӀан гира. ХӀора гӀан шен маьӀна долуш дара.</verse>
				<verse number="12">Тхоьца чувоьллина гӀаролан хьаькаман ялхо волу къона Ӏебархо вара. Оха цунна тхешан гӀенаш дийцира, цо церан маьӀна дира.</verse>
				<verse number="13">Цо ма-дийццара нисделира дерриг а: со сайн балха схьавеара, соьца чувоьллина хилларг хьалаоьллира».</verse>
				<verse number="14">ПирӀуно Юсупна тӀаьхьа нах бахийтира, цара иза сихонца набахтера схьавалийра. Маж а яьшна, тӀе цӀена хӀума а юьйхина, пирӀунна тӀевахара Юсуп.</verse>
				<verse number="15">ПирӀуно элира Юсупе: «Суна гӀан гина, амма цхьаьнгге а цуьнан маьӀна ца дало. Суна хезнера хьох лаьцна, хьо гӀенех дерг девзаш а, церан маьӀна дан хууш а ву бохуш».</verse>
				<verse number="16">Юсупа жоп делира: «Соьга далалур дац, Дала лур ду пирӀунна дика жоп».</verse>
				<verse number="17">ПирӀуно дийцира Юсупна: «Суна гӀенах со Нилан берда тӀехь лаьтташ гира.</verse>
				<verse number="18">ЦӀеххьана, хи чуьра хьала а баьлла, хаза а, берстана а ворхӀ етт эрзашкахь бажа хӀоьттира.</verse>
				<verse number="19">Царна тӀаьххье цкъа а суна Мисар-махкахь гина боцу, чӀогӀа ирча а, оза а ворхӀ етт хьалабелира.</verse>
				<verse number="20">Хьалха хьаладевлла, хаза а, нисделла а бежанаш цу гӀийлачу, ирчачу бежанаша диира.</verse>
				<verse number="21">Амма цаьрга хьаьжча, цхьаммо а эр дацара цара уьш диъна: шаьш хьалха ма-дарра ирча дара и бежанаш. Эццахь со самавелира.</verse>
				<verse number="22">Юха суна гӀенах цхьана гӀад тӀехь хьалабаьлла хаза а, буьззина а ворхӀ кан гира.</verse>
				<verse number="23">Царна тӀаьххье хьалабелира бекъа а, гӀийла а, малхбалерчу мохо чахчийна а ворхӀ кан.</verse>
				<verse number="24">ГӀийлачу кенаша дуьззина дерш дӀадиира. Ас бозбунчашка дийцира иза, амма цхьанна а маьӀна дан ца хиира цуьнан».</verse>
				<verse number="25">Юсупа элира пирӀуне: «И ший а гӀан цхьана хӀуманах лаьцна ду. Дала хьуна схьадиллина Ша дан воллург.</verse>
				<verse number="26">ВорхӀ дика етт а, ворхӀ дика кан а — иза ворхӀ шо ду. И ший а гӀан цхьаннах лаьцна ду.</verse>
				<verse number="27">Ткъа вукхарал тӀаьхьа хьалабаьлла болу ворхӀ гӀийла а, ирча а етт а, ворхӀ гӀийла а, малхбалерчу мохо чахчийна кан а — иза ворхӀ шо ду. Мацалла хӀоьттина ворхӀ шо.</verse>
				<verse number="28">Дала пирӀунна Ша дан воллург схьадиллина аьлла, ас бохург хӀара дара.</verse>
				<verse number="29">Мисар-махкахь шорто йолуш, токхе ворхӀ шо тӀекхочуш ду.</verse>
				<verse number="30">Юха тӀедогӀу ворхӀ шо мацалла йолуш хир ду. Шорто хилла хилар дицлур ду — мацалло дерриг а латта дассор ду.</verse>
				<verse number="31">Шорто йицлур ю цунна тӀаьххье йогӀун йолу мацалла бахьана долуш, хӀунда аьлча мацалла луьра хир ю.</verse>
				<verse number="32">ПирӀунна гӀан шозза гаран маьӀна ду Делан сацам хилла чекхбалар а, Цо иза кестта кхочушбийриг хилар а.</verse>
				<verse number="33">ХӀума хууш а, хьекъал долу а стаг а лехна, Мисар-махкахь куьйгалла дан иза хӀотто веза ахь.</verse>
				<verse number="34">Шорто йолчу ворхӀ шарахь Мисар-махкахь кхиъначу ялтин пхоьалгӀа дакъа схьагулдеш, нах арабаха беза.</verse>
				<verse number="35">Оцу дикачу шерашкахь цара ялта гул а деш, пирӀунан омрица гӀаланашкахь кӀа Ӏалашдан деза.</verse>
				<verse number="36">Гулдина ялта дӀадиллина хир ду, мацалла тӀееанчу ворхӀ шарахь Мисар-махкара адам хӀаллак ца хилийта».</verse>
				<verse number="37">ПирӀуно а, цунна гонах болчу элаша а, реза а хилла, тӀетодира Юсупа аьлларг.</verse>
				<verse number="38">Шен элашка пирӀуно хаьттира: «ХӀара стаг санна верг вайна кхин мила карор ву, шена чохь Делан Са а долуш?»</verse>
				<verse number="39">ТӀаккха пирӀуно Юсупе элира: «Дала и дерриг а хьуна схьадиллина хилча, хьол хьекъал долуш а, хӀуманах кхеташ а стаг вац.</verse>
				<verse number="40">Ас сайн цӀенна тӀехь куьйгалла дан хӀоттаво хьо, дерриг а сан халкъ хьан омранаш кхочушдеш хир ду. Паччахьан дарже хьаьжна бен, со хьол лакхара хир вац».</verse>
				<verse number="41">ПирӀуно элира Юсупе: «Хьажалахь, ас берриг а Мисар-махка тӀехь куьйгалла дан хӀоттаво хьо».</verse>
				<verse number="42">Цо шен пӀелга тӀера схьадаьккхина мухӀар Юсупан пӀелга тӀе доьллира, дуткъачу кӀадинах дина духар цунна тӀе а дуьйхина, цуьнан коча дашо зӀе оьллира.</verse>
				<verse number="43">Шен шолгӀа гӀудалкха чохь лелаве иза аьлла, омра дира пирӀуно. Юсупна хьалха боьлхучу ялхоша, цунна некъ бита бохуш, маьхьарий деттара. Иштта пирӀуно Мисар-махка тӀехь куьйгалхо хӀоттийра Юсуп.</verse>
				<verse number="44">ПирӀуно элира Юсупе: «Со пирӀун ву, амма берриг а Мисар-махкахь хьан бакъо йоцуш цхьа а меттахвала а ваьхьар вац».</verse>
				<verse number="45">Цо Юсупна керла цӀе елира — Цапнат-ПаӀнахь аьлла. Ана цӀе йолчу гӀалин динан да волчу ПатипараӀан йоӀ Аснат ялийра пирӀуно Юсупна. Иштта Юсуп берриг а Мисар-махкана тӀехь урхалла деш хилира.</verse>
				<verse number="46">Юсупан ткъе итт шо дара, Мисаран паччахьна гӀуллакх дан иза вахача. ПирӀун волчуьра араваьлла, берриг а Мисар-махкахула чекхвелира иза.</verse>
				<verse number="47">Шорто йолчу ворхӀ шарахь лаьтто дуккха а ялта делира.</verse>
				<verse number="48">Оцу ворхӀ шарахь кхиъна ялта, гул а деш, гӀаланашкахь охьадуьллура Юсупа. Луларчу аренашкахь кхиъна ялта хӀора гӀалахь охьадуьллура цо.</verse>
				<verse number="49">ХӀордан гӀум санна, дукха дара Юсупа гулдина кӀа. Цо иза, дагар а ца деш, дитира, хӀунда аьлча дагар ца даллал иза дукха хиларна.</verse>
				<verse number="50">Мацалла хӀутту шераш тӀекхачале Ана цӀе йолчу гӀалин динан ден ПатипараӀан йоӀа Асната ши кӀант вира Юсупна.</verse>
				<verse number="51">Дуьххьарлерачу кӀентан цӀе Маннаш тиллира Юсупа (иза «дицдайтар» бохучух тера ду). Цо бохура: «Дала сайна хилла халонаш а, ден цӀа а дицдайтина соьга».</verse>
				<verse number="52">ШолгӀачу кӀентан цӀе Эпрам тиллира цо (иза «дебийтар» бохург ду). Юсупа бохура: «Ас бала хьегначу махкахь Дала дебийтина со».</verse>
				<verse number="53">Мисарахь шорто йолу ворхӀ шо чекхделира.</verse>
				<verse number="54">Юсупа ма-аллара, мацалла еана ворхӀ шо дӀадоладелира. Вукху мехкашкахь а яра мацалла, Мисарахь бен яа хӀума яцара.</verse>
				<verse number="55">Амма ерриг а Мисарахь мацалла хӀоьттича, адам пирӀунна тӀедахара ялта доьхуш. Цо элира мисархошка: «Юсупна тӀе а гӀой, цо бохург де».</verse>
				<verse number="56">Берриг а махкахь мацалла яра. Юсупа мисархошна кӀа доьхкира, иза дӀадиллина меттигаш схьа а йиллина, хӀунда аьлча Мисарахь чӀогӀа мацалла хӀоьттинера.</verse>
				<verse number="57">Гонах болчу массо а махкара нах Мисара Юсупера кӀа эца богӀура, хӀунда аьлча массанхьа а луьра мацалла яра.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="42">
				<verse number="1">Мисарахь кӀа дуйла шена хиъча, Якъуба элира шен кӀенташка: «Шу вовшашка хьоьжуш хӀунда Ӏа?</verse>
				<verse number="2">Суна хезна, Мисар-махкахь кӀа ду бохуш. Даха а гӀой, цигара иза эца, вай мацалла ца далийта».</verse>
				<verse number="3">Юсупан итт ваша Мисара вахара кӀа эца.</verse>
				<verse number="4">Якъуба Юсупан нанас вина ваша Бен-Яман цӀахь витира. Цунна цхьа вон болх хиларна кхоьрура иза.</verse>
				<verse number="5">Иштта Исраилан кӀентий дуккха а кхечу нахана юкъахь кӀа эца баьхкира, хӀунда аьлча КанаӀан-махкахь мацалла яра.</verse>
				<verse number="6">Мисар-махкахь куьйгалхо Юсуп вара. Махкахь дерриг а халкъана кӀа духкуш вара иза. ДӀакхаьчна вежарий, лаьтта охьакхаччалц Юсупна хьалха охьатаьӀира.</verse>
				<verse number="7">Вежарий ма-гинна, уьш бевзира Юсупна, амма шена уьш ца бевзашха цаьрца буьрсо къамел дира цо. «Шу мичара даьхкина?» — хаьттира цо. «КанаӀан-махкара даьхкина тхо ялта эца», — аьлла, жоп делира цара.</verse>
				<verse number="8">Юсупна шен вежарий бевзинехь а, царна иза ца вевзира.</verse>
				<verse number="9">Царах долу шен гӀенаш дага а даьхкина, Юсупа элира: «Шу ямартхой ду! Тхан пачхьалкхан ледара агӀонаш хаа а, долчун терго ян а даьхкина шу!»</verse>
				<verse number="10">«ХӀан-хӀан, эла, — жоп делира вежарша. — Хьан ялхой долу тхо ялта эца даьхкина.</verse>
				<verse number="11">Тхо дерриш а цхьана ден кӀентий ду. Хьан ялхой цӀена нах бу, ямартхой бац».</verse>
				<verse number="12">Юсупа юха а элира: «ХӀан-хӀан, шу тхан махкахь ледара хӀума хӀун ду хьажа даьхкина».</verse>
				<verse number="13">Амма цара жоп делира: «ХӀан-хӀан, тхан доьзалехь шийтта ваша вара, КанаӀан-махкахь Ӏаш волчу цхьана дех схьаваьлла. Жимаха верг хӀинца деца ву, ткъа цхьаъ кхелхина».</verse>
				<verse number="14">Юсупа элира цаьрга: «Ас аьллий, шу ямартхой ду!</verse>
				<verse number="15">Шу бакъ ду я дац иштта къастор ду ас: дийна волчу пирӀунах дуй буу ас, шу кхузара дӀагӀур ма дац, шун жимаха волу ваша кхуза схьаваллалц.</verse>
				<verse number="16">Цхьаъ вешина тӀаьхьа вахийта, вуьш набахти чохь Ӏийр бу. ТӀаккха хуур ду суна, аш дуьйцург бакъ ду я дац. Нагахь даций, дийна волчу пирӀунах дуй буу ас, шу ямартхой ду аьлла!»</verse>
				<verse number="17">Вежарий кхаа денна чубохкийтира цо.</verse>
				<verse number="18">КхозлагӀчу дийнахь Юсупа элира цаьрга: «Ас бохург дахь, дийна дуьсур ду шу, хӀунда аьлча со Делах кхоьру.</verse>
				<verse number="19">Нагахь шу цӀена нах делахь, шух цхьаъ набахти чохь саца веза, ткъа вуьш мацалла ловш болчу шайн доьзалшна кӀа дӀаэцна баха беза.</verse>
				<verse number="20">Амма шайн жимаха волу ваша схьавало веза аш, шаьш дуьйцург бакъ дуй хаийтархьама а, дийна дисархьама а». Иштта дан а дира цара.</verse>
				<verse number="21">Вежарша элира вовшашка: «Дала билггал до вайна таӀзар вешина дуьхьал латийна къа бахьанехь. Вайна гора Юсуп холчохь хилар цо вайга дехар дечу хенахь, амма вай цуьнга ла ца дуьйгӀира. ХӀинца вайна бохам хилла».</verse>
				<verse number="22">Раабана элира: «Ас баьхнера шуьга — кӀант бахьана долуш шайх къа ма латаде, амма аш ла ца дуьйгӀира! ХӀинца цунна тӀехула вайна бекхам хуьлуш бу».</verse>
				<verse number="23">Царна дагахь а дацара Юсуп шайх кхеташ хилар, хӀунда аьлча цо цаьрца къамел гочдархочуьнгахула дора.</verse>
				<verse number="24">Иза, дӀа а вирзина, вилхира, юха, схьа а вирзина, цаьрца къамел дан хӀоьттира. Царах ШимӀа, схьа а къастийна, церан бӀаьргашна хьалха дӀавихкира цо.</verse>
				<verse number="25">Церан тӀоьрмигаш чу кӀа а дилла, хӀораннан ахча а цигга чудилла, некъана оьшург а ло аьлла, омра дира Юсупа. Дерриг а цо ма-аллара кхочушдира.</verse>
				<verse number="26">КӀа варраш тӀе а диллина, новкъа бевлира уьш.</verse>
				<verse number="27">Буьйса яккха севцича, вежарех цхьаммо галин бертиг яьстира вирана хӀоъ бала дагахь. Цунна гали чохь шен детин ахча карийра.</verse>
				<verse number="28">«Сан дети юхадеана! — элира цо вежаршка. — ХӀара ду и, сан гали чохь». Кхерабелла, дегнаш схьалелха а дохкуш, бегош вовшашка а хьоьжуш, бохура цара: «ХӀара хӀун ду Дала вайна динарг?»</verse>
				<verse number="29">Шайн да Якъуб волчу КанаӀане юха а баьхкина, шайца хилларг дерриг а дийцира цара:</verse>
				<verse number="30">«Цигарчу махкахь куьйгалхо волчу стага, буьрса къамел а дина, тхоьга элира: „Ямартло ян даьхкина шу!“</verse>
				<verse number="31">Амма оха жоп делира цуьнга: „Тхо цӀена нах ду, ямартлонна даьхкина дац.</verse>
				<verse number="32">Тхо шийтта ваша вара, цхьана ден кӀентий. Цхьаъ воцуш ву, жимаха верг деца КанаӀан-махкахь ву хӀинца“.</verse>
				<verse number="33">ТӀаккха цу мехкан куьйгалхочо элира тхоьга: „Шу цӀена нах ду я дац иштта хуур ду суна: шайн цхьа ваша кхузахь а витий, мацалла ловш болчу доьзалшна ялта схьа а эций, шайн новкъа дӀагӀо.</verse>
				<verse number="34">Со волчу шайн жимаха волу ваша валаве, тӀаккха хуур суна шу цӀена нах дуйла. Цул тӀаьхьа ас шун ваша дӀа а лур ву, кху махкахь мах а лелабойтур бу“».</verse>
				<verse number="35">Галеш дӀасадохуш, хӀоранна а дети чохь долу шен бохча карийра. Дети а гина, церан да а, уьш а кхерабелира.</verse>
				<verse number="36">Якъуба элира цаьрга: «Аш сайн берех ваьккхи со, Юсуп а вац, ШимӀа а вац, ткъа хӀинца Бен-Яман а схьаэца гӀерта шу. Дерриг а суна дуьхьал даьлла!»</verse>
				<verse number="37">Раабана элира дега: «Нагахь ас Бен-Яман хьуна юха ца валавахь, сан ши кӀант вен мегар ду хьуна. Соьга жоп далийтахь цунах, ас иза юхавалор ву хьуна».</verse>
				<verse number="38">Амма Якъуба элира: «Сан кӀант хьоьца цига гӀур вац, цуьнан ваша велла, иза ша висна. Нагахь новкъахь цунна цхьаъ хилахь, соьга иза лан лур дац, сингаттамехь болу сан къоьжа корта эхарте кхочуьйтур бу аша».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="43">
				<verse number="1">Луьра мацалла яра цу махкахь.</verse>
				<verse number="2">Мисарара деана дерриг а кӀа шаьш диъча, дас кӀенташка элира: «Даха а гӀой, кхин а ялта эца вайна».</verse>
				<verse number="3">Амма ЯхӀуда элира цуьнга: «Цу стага тхоьга буьрса схьахьедина: „Шуна сан юьхь гур яц, нагахь шуьца схьавеана шун ваша ца хилахь“.</verse>
				<verse number="4">Нагахь ахь тхоьца ваша ваийтахь, оха, дахана, хьуна юург оьцур ю.</verse>
				<verse number="5">Амма ахь иза ца ваийтахь, тхо гӀур дац, хӀунда аьлча цу стага аьлла тхоьга: „Шуна сан юьхь гур яц, шуьца шун ваша ца хилахь“».</verse>
				<verse number="6">«И бала хӀунда беана аш суна тӀе, шайн кхин цхьа ваша ву а аьлла?» — хаьттира Исраила.</verse>
				<verse number="7">Цара жоп делира: «Цу стага тхох а, вайн доьзалх а лаьцна дерриг а хоьттура тхоьга: „Шун да хӀинца а дийна вуй? Кхин цхьа ваша вуй шун?“ Оха цуьнан хаттаршна жоп лора. Хьанна хаьара, цо эр дуй: „Схьавалаве кхуза шайн ваша“, — аьлла?»</verse>
				<verse number="8">ЯхӀуда элира шен дега Исраиле: «Ахь кӀант соьца ваийтича, тхо оцу сохьта дӀагӀур дара, тхо а, вайн бераш а лечуьра кӀелхьардаха.</verse>
				<verse number="9">Ас жоп лур ду Бен-Яманах, соьгара хоттур ахь цунах дерг. Нагахь санна ас, схьа а валийна, кӀант хьоьга дӀа ца лахь, хьуна хьалха со хир ву бехке велла дӀаваллалц.</verse>
				<verse number="10">Вай сихо йина хиллехьара, тхо, шозза дӀа а дахана, юхадаьхкина хир дара».</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха церан дас Исраила элира: «Нагахь гӀуллакх иштта делахь, хӀокху вайн лаьтто луш долу тоьлла сурсаташ оцу стагана дӀахьо: дарбане хьакхар а, моз а, хаза хьожа йогӀу бецаш а, деза даьтта а, тайп-тайпана бӀараш а. Царах шайн некъан мохь кечбе.</verse>
				<verse number="12">ХӀинца доьлхуш шозза сов дато ахча хьо, хьалха шаьш цӀа деанарг а юха дӀахьо: иза цхьана гӀалатца галдаьлла хила мега.</verse>
				<verse number="13">Шайн ваша схьа а эций, сихонца цу стагана тӀегӀо.</verse>
				<verse number="14">Нуьцкъалчу Дала гӀо дойла шуна, мехкан куьйгалхочунна хьалха шу хӀиттича, шун вукху вешина а, Бен-Яманна а шуьца цӀа ван пурба лойла Цо. Нагахь санна берех вала суна доьгӀнехь, царах волийла со».</verse>
				<verse number="15">СовгӀаташ а, хьалхачул шозза сов дети а, Бен-Яман а схьа а эцна, сиха Мисар-махка дӀабахара вежарий. Уьш, дӀа а кхаьчна, Юсупна хьалха хӀиттира.</verse>
				<verse number="16">Цаьрца веана Бен-Яман гича, Юсупа шен цӀийнан куьйгалхочуьнга элира: «ХӀара нах сан цӀа дӀа а бигий, бежана а дей, яа хӀума кечъе. Делкъахенахь соьца хӀума юур ю кхара».</verse>
				<verse number="17">Цу стага шена тӀедиллинарг кхочуш а дина, уьш Юсупан цӀа бигира.</verse>
				<verse number="18">Вежарий кхерабелира, шаьш цуьнан цӀийне балийча. Царна дагадеара: «Дуьххьара даьхкича, вайн галеш чу дети кхачар бахьана долуш далийна вай кхуза. ТӀелетта, вай эша а дина, вайх леш а бина, вайн варраш дӀаяха гӀерта и стаг».</verse>
				<verse number="19">ТӀе а бахана, Юсупан цӀийнан куьйгалхочуьнга элира цара хӀусаман неӀарехь:</verse>
				<verse number="20">«ЛадогӀахь, эла! Тхо цкъа даьхкинера кхуза ялта эца.</verse>
				<verse number="21">Амма буьйса яккха севцначохь, оха галеш схьадаьстича, тхешан дато ахча ма-дарра карийра тхуна. Цундела хӀинца оха иза юхадеана.</verse>
				<verse number="22">Кхин а деана оха ялта эца дети. Тхуна ца хаьа тхешан галеш чу ахча хьан диллина».</verse>
				<verse number="23">Ялхочо жоп делира: «Шу кхера оьшуш хӀумма а дац. Шун а, шун ден а Дала делла шуна галеш чохь карийна ахча, ткъа ас шуьгара дато ахча хьалха шу даьхкича схьаийцира». Цул тӀаьхьа цо уьш болчу ШимӀа схьавалийра.</verse>
				<verse number="24">ЦӀийнан куьйгалхочо вежарий Юсупан цӀа чу бигира. Царна когаш била хи а, церан варрашна хӀоъ а белира цо.</verse>
				<verse number="25">Юсуп схьавале вежарша совгӀаташ кечдира, хӀунда аьлча цаьрга аьллера, цигахь хӀума юур ю аьлла.</verse>
				<verse number="26">Юсуп цӀа веача, совгӀаташ дӀа а делла, лаьтта кхаччалц цунна хьалха охьатаьӀира уьш.</verse>
				<verse number="27">Цаьрга маршалла а хаьттина, Юсупа элира: «Аш хьалха соьга вийцина шун къена да муха ву? Дийна вуй иза?»</verse>
				<verse number="28">Цара жоп делира: «Хьан ялхо, тхан да, дийна а, могуш а ву». Юсупе болчу ларамна лохха охьатаьӀира уьш.</verse>
				<verse number="29">ДӀасахьаьжначу цунна шен нанас вина ваша Бен-Яман гира. Цо хаьттира: «ХӀара аш вийцина, шун жимаха волу ваша вуй? Делан дика болх хуьлда хьуна, сан кӀант».</verse>
				<verse number="30">Шен веше йолу марзо лачкъорхьама, сихха ара а ваьлла, цхьа а воцучу меттехь вилхира иза.</verse>
				<verse number="31">Юха шен юьхь а йилина, схьавеана, собаре а хилла, цо элира: «Яа хӀума схьая!»</verse>
				<verse number="32">Цунна къастийна елира яа хӀума, вежаршна а, мисархошна а къастийна елира, хӀунда аьлча мисархошна хьарам хетара Ӏебархошца хӀума яар.</verse>
				<verse number="33">Вежарий Юсупна дуьхьал ховшийнера, вокх-воккханиг хьалха а хаош. Уьш, цец а бевлла, хьоьжура вовшашка.</verse>
				<verse number="34">Юсупан стоьла тӀера яа хӀума елира царна, Бен-Яманна луш ерг вукхарна лучул пхоьазза сов яра. Юсупца самукъадаллалц молуш Ӏийра уьш.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="44">
				<verse number="1">Юсупа элира шен цӀийнан куьйгалхочуьнга: «Цу нехан галеш чу яхьа мел ло яа хӀума а йилла, церан дети юха галеш чу а дилла.</verse>
				<verse number="2">Сан дато кад жимаха волчун гали чу билла цо кӀенах дала деанчу ахчанца цхьаьна». Цо ма-бохху гӀуллакх кхочушдира ялхочо.</verse>
				<verse number="3">Са ма-хилла, вежарий шайн варрашца новкъа бехира.</verse>
				<verse number="4">Уьш гӀалина гена ца бевллера, Юсупа шен цӀийнан куьйгалхочуьнга аьлча: «Сихха оцу нахана тӀаьхьа а гӀой, тӀекхаьчча, ала цаьрга: „Шайна динчу диканна дуьхьал вон хӀунда дина аш?</verse>
				<verse number="5">Сан элан дато кад хӀунда лачкъийна аш? Цо чуьра молуш а, пал тосуш лелош а кад ма бу иза! Аш динарг вон хӀума ду!“»</verse>
				<verse number="6">ТӀаьхьа а кхиъна, ялхочо элира цаьрга и дешнаш.</verse>
				<verse number="7">Вежарша жоп делира: «Иштта хӀунда боху ахь? И санна долу хӀума оха цкъа а дийр дацара.</verse>
				<verse number="8">КанаӀан-махкара дуьйна тхайн галеш чохь карийна дети юхадеана оха. Хьан элан цӀа чуьра дети я деши оха хӀунда лачкъор ду?</verse>
				<verse number="9">Нагахь и кад цхьаннан гали чохь хьуна карабахь, и стаг лийр ву, ткъа тхо хьан леш хир ду».</verse>
				<verse number="10">Ялхочо элира: «Дика ду, аш ма-бохху дийр ду вай: цхьаьнгахь кад карабахь, иза сан лай хир ву, ткъа биснарш маьрша хир бу».</verse>
				<verse number="11">Вежарша шайн галеш, лаьтта охьа а дехкина, схьадаьстира.</verse>
				<verse number="12">Воккхачунна тӀера жимачунна тӀекхаччалц кад лаха волавелира Юсупан цӀийнан куьйгалхо. Кад Бен-Яманан гали чохь карийра.</verse>
				<verse number="13">Холчу хӀиттина, шайна тӀера хӀуманаш этӀийра вежарша. Юха, шайн варраш тӀе маххьаш а дехкина, гӀала юхабаьхкира уьш.</verse>
				<verse number="14">Юсупан цӀа чу схьабаьхкира ЯхӀуд а, цуьнан вежарий а. Иза дӀавахаза цӀахь вара. Цунна хьалха гораийгира уьш.</verse>
				<verse number="15">Юсупа элира цаьрга: «И хӀун ду аш динарг? Со санна волчу стагана муьлхха а хӀума, пал тесча, хуур дуй ца хаьа шуна?»</verse>
				<verse number="16">ЯхӀуда жоп делира: «Тхан ала хӀума дац хьоьга, эла. Тхайн бехк ца хилар муха хоуьйтур ду оха? Далла хиъна, шен ялхойн бехк буйла. ХӀинца тхо а, кад шегахь карийнарг а хьан леш ду-кх, эла».</verse>
				<verse number="17">Юсупа элира: «И саннарг дийр дац ас! Шегахь сан кад карийнарг хир ву сан лай, ткъа шу шайн да волчу маьрша дӀагӀо».</verse>
				<verse number="18">ТӀаккха ЯхӀуда, тӀе а вахана, элира цуьнга: «Сан эла, доьху хьоьга цхьа дош алийтар. Хьо пирӀуне кхоччуш велахь а, хьайн ялхочунна оьгӀаз ма гӀолахь.</verse>
				<verse number="19">Тхо хьалха кхузахь долуш ахьа хаьттира тхоьга: „Шун да а, ваша а вуй?“ — аьлла.</verse>
				<verse number="20">Оха жоп делира: „Къена да а ву, иза воккха волчу хенахь хилла жима ваша а ву“, — аьлла. Тхан дена къаьсттана дукхавеза и жимаха волу кӀант. Цу кӀентан нанас вина ваша вала а велла, ша цхьаъ висна иза.</verse>
				<verse number="21">ТӀаккха ахьа элира тхоьга: „Схьавалаве иза кхуза, со цуьнга хьажийта“.</verse>
				<verse number="22">Оха хьуна жоп делира: „Да а витина вогӀийла дац цу кӀентан. Нагахь иза вагӀахь, да лийр ву“.</verse>
				<verse number="23">Амма ахьа тхоьга элира: „Шун ваша шуьца кхуза схьаваллалц, шуна сан юьхь гур яц“.</verse>
				<verse number="24">Тхайн да волчу а дахана, ахьа аьлларг дӀадийцира оха.</verse>
				<verse number="25">Дас элира тхоьга: „Юха а гӀой, жимма ялта эца“, — аьлла.</verse>
				<verse number="26">Амма оха жоп делира: „Жимаха волу ваша а эцна бен гӀойла дац тхан цига. Цу стеган юьхь гойла хир дац, тхоьца жимаха волу ваша ца хилахь“.</verse>
				<verse number="27">ТӀаккха дас тхоьга элира: „Шуна хаьа сан зудчо суна ши кӀант винийла.</verse>
				<verse number="28">Цу шиннах цхьаъ цӀера ваьлча, ас элира: ‘Иза акхароша цистина хир ву’, — цул тӀаьхьа суна иза ган а ца гира.</verse>
				<verse number="29">ХӀинца аша важа а дӀа а вигна, цунна вон болх хилахь, соьга иза лалур дац. Баланехь болу сан къоьжа корта эхарте кхочуьйтур бу аша“.</verse>
				<verse number="30">И кӀант къаьсттина дукхавезаш, цунна чу са диллина ву тхан да. Цундела иза а воцуш тхо цӀа гӀахь,</verse>
				<verse number="31">тхан дена иза тхоьца воцийла хаахь, иза лийр ву. Хьан лейн бехкенна баланехь волчу тхан ден къоьжа корта эхарте кхочур бу.</verse>
				<verse number="32">Ас дош деллера цунна, кӀант ларвийр ву аьлла. „Нагахь ас хьуна иза схьа ца валавахь, велла дӀаваллалц хьуна хьалха бехке хир ву со, дада“, — аьлла ас.</verse>
				<verse number="33">Цундела ас доьху хьоьга, эла, кӀант вежаршца дӀа а вахийтий, цуьнан метта кхузахь хьайн лай со витахь.</verse>
				<verse number="34">Со муха гӀур ву дена хьалха, сайца кӀант а воцуш? Сайн дена хиндолчу вочунна теш хила ца лаьа суна».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="45">
				<verse number="1">ТӀаккха Юсупа, ялхой болчохь кхин са а ца тохаделла, мохь туьйхира: «ДӀадовла суна гучуьра!» Царах цхьа а чохь вацара, Юсупа ша вежаршна вовзийтича.</verse>
				<verse number="2">Иза чӀогӀа вилхира, мисархошна а, пирӀунан цӀенна а хезара цуьнан белхар.</verse>
				<verse number="3">Юсупа элира шен вежаршка: «Со Юсуп ву! Дийна вуй сан да?» Амма инзарбевлла а, кхерабелла а болчу вежаршка дуьхьал жоп ца далалора.</verse>
				<verse number="4">ТӀаккха Юсупа элира: «Суна тӀедуьйлийша». Уьш тӀебаьхкича, цо элира: «Со аша Мисар-махка воьхкина шун ваша Юсуп ву!</verse>
				<verse number="5">Амма дохий а ма хьийза, шайна оьгӀаз а ма эха шаьш со Мисар-махка вохкарна. Адамаш кӀелхьардахархьама, шул хьалха со кхачийтира Дала кхуза.</verse>
				<verse number="6">Ши шо ду кху махкахь мацалла йолу, кхин пхеа шарахь а хир дац ялта дуьйш а, дерзош а.</verse>
				<verse number="7">Амма Дала ваийтина со шул хьалха, кху лаьтта тӀехь шун тӀаьхье хилийта а, шун дахар инзаре кӀелхьардаккха а.</verse>
				<verse number="8">Аша ца ваийтина со кхуза, Дала ваийтина. Цо сох пирӀунан да вина, цуьнан цӀийна тӀехь эла а, берриг а Мисар-махка тӀехь куьйгалхо а вина.</verse>
				<verse number="9">Сихо яй, сан дена тӀе а кхачий, ала цуьнга: „Хьан кӀанта Юсупа хабар доуьйту хьоьга: ‘Дала со Мисар-махкахь куьйгалхо вина. Со волчу схьавола, хан ца йолуьйтуш.</verse>
				<verse number="10">ГӀашан цӀе йолчу меттехь Ӏийр ву хьо, суна уллохь. Хьан бераш а, берийн бераш а, берриг а бахам а, дерриг а даьхни а схьадаладе.</verse>
				<verse number="11">ГӀашанехь хьо а, хьан доьзал а кхобур бу ас, хӀунда аьлча тӀедогӀуш мацаллин пхи шо ду. Иза ца дахь, хьо а, хьан цӀа а, хьан долахь дерг дерриг а эшамехь хир ду’“.</verse>
				<verse number="12">Шуна а, сан вешина Бен-Яманна а шайн бӀаьргашна гуш ду шайца къамел дийриг со хилар.</verse>
				<verse number="13">Сан дега со Мисар-махкахь сийлахь хилар а, шайна кхузахь мел гинарг а дийца. Иза сиха кхуза схьа а валаве».</verse>
				<verse number="14">Шен ваша Бен-Яман, мара а воьллина, вилхира иза, Бен-Яман а вилхира цуьнца.</verse>
				<verse number="15">Массо а ваша мара а вуллуш, царна барташ а дохуш, воьлхура Юсуп. Цул тӀаьхьа вежарша цуьнца къамел дира.</verse>
				<verse number="16">Юсупан вежарий баьхкина аьлла, хабар пирӀунна тӀекхечира. ПирӀун а, цунна уллорнаш а хазахеташ бара.</verse>
				<verse number="17">ПирӀуно Юсупе элира: «ДӀаала хьайн вежаршка, шайна оьшшучул даа хӀума КанаӀан-махка дӀа а хьо.</verse>
				<verse number="18">Шайн да а, доьзалш а кхуза схьа а балабе. Ас Мисарахь тоьлла долу латта лур ду шуна, цунах схьадаьллачух дехар ду шу, алий».</verse>
				<verse number="19">Кхин а элира пирӀуно: «Хьуна тӀедуьллу ас, Юсуп, хьайн вежаршка дӀаалар: „Мисар-махкара гӀудалкхаш йига шайн бераш а, зударий а схьабало, шайн да а валош, шаьш а схьадуьйла.</verse>
				<verse number="20">Шайн салпална са ма гатде, Мисарахь тоьлла дерг шун хир ду“».</verse>
				<verse number="21">Исраилан кӀенташа цо ма-бохху дира. ПирӀуно деллачу омрица Юсупа царна гӀудалкхаш а, некъана кхача а белира.</verse>
				<verse number="22">ХӀоранна а керла духар делира, ткъа Бен-Яманна кхо бӀе шекхал дети а, пхеа тайпана тӀеюху хӀуманаш а елира.</verse>
				<verse number="23">Юсупа шен дена а дахьийтира совгӀаташ: Мисар-махкара тоьлла долу хӀума тӀехь долуш итт вир а яра, кӀа а, бепиг а, некъана лерина тайп-тайпана даарш тӀехь долуш итт виркхел а яра.</verse>
				<verse number="24">Цул тӀаьхьа, вежарий новкъа а баьхна, уьш дӀабоьлхуш, цо элира: «Новкъахь девнаш ма дахалаш!»</verse>
				<verse number="25">Мисарара ара а бевлла, шайн да Якъуб волчу КанаӀан-махка баьхкира уьш.</verse>
				<verse number="26">Цара элира цуьнга: «Юсуп дийна ву! Юсуп берриг а Мисар-мехкан куьйгалхо ву!» Якъуб хӀун эр ду а ца хууш висира, цкъа хьалха иза ца тийшира царах.</verse>
				<verse number="27">Амма Юсупа даийтина хабар а хезча, цо шена яийтина гӀудалкхаш а гича, Якъубан дог хазахетта тохаделира.</verse>
				<verse number="28">Исраила элира: «Тоьар ду! Сан кӀант Юсуп дийна ву. Со валале и ган гӀур ву со».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="46">
				<verse number="1">Исраил, шен долахь дерг дерриг схьа а эцна, новкъа велира. ВогӀуш, Беар-ШабаӀе ша кхаьчча, шен ден Исхьакхан Далла лерина сагӀанаш дехира цо.</verse>
				<verse number="2">Буьйсанна самах веанчу Дала Исраиле элира: «Якъуб!» «Со кхузахь ву», — жоп делира Якъуба.</verse>
				<verse number="3">Дала элира: «Со Дела ву, хьан ден Дела. Кхера а ца кхоьруш, Мисар-махка гӀо, цигахь Ас хьох доккха халкъ схьадолуьйтур ду.</verse>
				<verse number="4">Со хьоьца Мисар-махка дӀа а вогӀур ву, цигара Ас хьо юха а валор ву. Хьан ши бӀаьрг Юсупа дӀакъовлур бу».</verse>
				<verse number="5">Беар-ШабаӀера кхин дӀа а вахара Якъуб. Исраилан кӀенташа шайн да а, бераш а, зударий а пирӀуно яийтинчу гӀудалкхаш чу ховшийра цига дӀабига.</verse>
				<verse number="6">КанаӀан-махкахь гулдина даьхни а, бахам а шайца схьаийцира цара. Шен ерриг а тӀаьхьенца Мисар-махка веара Якъуб.</verse>
				<verse number="7">Цо шеца шен бераш а, берийн бераш а — ерриг а тӀаьхье дӀайигира.</verse>
				<verse number="8">ХӀорш ю Мисар-махка баьхкинчу Исраилан кӀентийн цӀераш (Якъуб а, цуьнан тӀаьхье а): Якъубан хьалхара кӀант Раабан.</verse>
				<verse number="9">Раабанан кӀентий: Хьанах, Палу, Хьацрани, Карма.</verse>
				<verse number="10">ШимӀин кӀентий: Емуал, Ямин, АхӀад, Якин, ЦӀохьар, канаӀанхочо вина Шаул а.</verse>
				<verse number="11">Левин кӀентий: ГӀиршан, КхахӀат, Мерари.</verse>
				<verse number="12">ЯхӀудан кӀентий: Ӏаьр, Онан, Шейла, Парас, Зерахь. (Ӏаьр а, Онан а КанаӀан-махкахь кхелхинера). Парасан кӀентий: Хьацрани, Хьамал.</verse>
				<verse number="13">Иссарханан кӀентий: ТовлаӀ, Пува, Яшаб, Шимрон.</verse>
				<verse number="14">Забулан кӀентий: Серад, Элон, Яхьлаал.</verse>
				<verse number="15">Уьш Леас Якъубана Падан-Арамехь бина кӀентий бара. Цо йина Дина цӀе йолуш йоӀ а яра. Дерриг а кӀант а, йоӀ а ткъе кхойтта дара.</verse>
				<verse number="16">Гадин кӀентий: Цепон, Хьаги, Шуни, Эцбон, Ӏера, Ароди, Ариэли.</verse>
				<verse number="17">Ашаран кӀентий: Имани, Ишва, Ишви, БериӀ. Серахь цӀе йолуш йиша а яра церан. БериӀан кӀентий: Хьебар а, Малкиал а.</verse>
				<verse number="18">Лабана шен йоӀана Леина еллачу ялхочо Залпаа Якъубана дина бераш дара уьш, верриг а ялхитта стаг.</verse>
				<verse number="19">Якъубан зудчо Рахьала бина кӀентий бара: Юсуп а, Бен-Яман а.</verse>
				<verse number="20">Мисар-махкахь Ана цӀе йолчу гӀалин динан да волчу ПатипараӀан йоӀа Асната Юсупна ши кӀант вира. Церан цӀераш яра Маннаш а, Эпрам а.</verse>
				<verse number="21">Бен-Яманан кӀентий бара: БулаӀ, Бахри, Ашбели, Гери, НаӀаман, Аьхьи, Рош, Мупим, Хьупим, Арди.</verse>
				<verse number="22">Рахьала Якъубана бина кӀентий бара уьш, верриг а вейтта стаг.</verse>
				<verse number="23">Данан кӀант вара: Хьушим.</verse>
				<verse number="24">Напталан кӀентий: Яхьциал, Гуни, Йицар, Шилам.</verse>
				<verse number="25">Лабана шен йоӀана Рахьална еллачу ялхочо Балхьата бина кӀентий бара уьш, верриг а ворхӀ стаг.</verse>
				<verse number="26">Якъубца Мисар-махка веанарг цуьнан тӀаьхьенах верг, кӀентийн зударий ца лерича, кхузткъе ялх стаг вара.</verse>
				<verse number="27">Мисарахь Юсупна вина ши кӀант а цхьаьна верриг а Якъубан доьзалх Мисарахь ваха охьахиънарг кхузткъе итт стаг вара.</verse>
				<verse number="28">Юсуп волчу воьдуш, шел хьалха ЯхӀуд вахийтира Якъуба, ГӀашане боьду некъ хаархьама. Уьш цига дӀакхаьчча,</verse>
				<verse number="29">Юсуп, шен гӀудалкх дӀа а йожийтина, ГӀашане шен дена Исраилна дуьхьал веара. Исраил ган ма-гинна, тӀеведда, иза мара а воьллина, вехха вилхира иза.</verse>
				<verse number="30">Исраила элира Юсупе: «ХӀинца-м вала а хала дацара, хӀунда аьлча сайн бӀаьргашца хьо дийна хилар гина суна».</verse>
				<verse number="31">Юсупа вежаршка а, шен ден цӀийнах болчу нахе а элира: «Ас, вахана, пирӀуне эр ду: „КанаӀан-махкахь Ӏийна сан вежарий а, ден цӀийнах берш а со волчу схьабаьхкина.</verse>
				<verse number="32">И нах жаӀуй бу. Цара даьхни леладо. Шайца кегий а, даккхий, а даьхни а, шайн долахь долу хӀума дерриг а схьадеана цара“.</verse>
				<verse number="33">ПирӀуно, тӀе а кхайкхина, шайга хаттахь: „Шун хӀун корматалла ю?“</verse>
				<verse number="34">аш ала деза: „Тхайн дайша санна, кегий долуш дуьйна даьхни лелош ду тхо!“ ТӀаккха ГӀашан цӀе йолчу махкахь даха охьаховша бакъо лур ю шуна, хӀунда аьлча мисархошна Ӏуй ца беза».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="47">
				<verse number="1">ПирӀунна тӀе а вахана, Юсупа элира: «Сан да а, вежарий а шайн даьхница а, бахамца а, КанаӀан-махкара схьа а баьхкина, ГӀашанехь бу хӀинца».</verse>
				<verse number="2">Вежарех, хаьржина, пхи стаг валийнера цо пирӀунна тӀе.</verse>
				<verse number="3">ПирӀуно хаьттира цаьрга: «Шун хӀун корматалла ю?» Вежарша жоп делира: «Тхайн дай санна, Ӏуй ду тхо».</verse>
				<verse number="4">Кхин а элира цара: «Кхуза даха даьхкина тхо, хӀунда аьлча КанаӀан-махкахь луьра мацалла ю, даьхни дажо меттиг яц тхан. Доьху хьоьга ГӀашанехь тхуна даха охьаховша бакъо ялар».</verse>
				<verse number="5">ПирӀуно элира Юсупе: «Хьо волчу да а, вежарий а баьхкина.</verse>
				<verse number="6">Мисар-махкара латта хьуна хьалха ду. Оцу лаьттан тоьллачу меттехь охьаховшабе хьайн гергара нах. Шайна лаахь, ГӀашанехь Ӏан а мегар ду царна. Къаьсттина говзанаш царна юкъахь белахь, сан даьхни Ӏалашдан дӀахӀиттабе уьш».</verse>
				<verse number="7">Шен да Якъуб, вала а вина, пирӀунна хьалха хӀоттийра Юсупа. Якъуба пирӀун декъалвира.</verse>
				<verse number="8">ПирӀуно хаьттира цуьнга: «Хьан маса шо ду?»</verse>
				<verse number="9">Якъуба жоп делира: «Со дуьнен чохь лела бӀе ткъе итт шо ду. КӀезиг а, къаьхьа а хилла сан дахаран шераш, сан дай дуьнен чохь леллачу хене дӀа ца нисвелла со».</verse>
				<verse number="10">ПирӀун декъал а вина, дӀавахара Якъуб.</verse>
				<verse number="11">Да а, вежарий а Мисарахь баха ховшийра Юсупа, царна РаӀамсас олучу гӀалина уллохь тоьлла латта а делла, пирӀуно шена тӀе-ма-диллара.</verse>
				<verse number="12">Шен ден а, вежарийн а хӀусамашкара берашка хьаьжжина, массарна а юучуьнца кхачо йира Юсупа.</verse>
				<verse number="13">Цул тӀаьхьа чӀогӀа мацалла хӀоьттира. Мисар а, КанаӀан-мохк а мацалло гӀелбина бара.</verse>
				<verse number="14">Шегара кӀа оьцуш гулделла Мисарахь а, КанаӀан-махкахь а мел долу ахча вовшахтуьйхира Юсупа. ПирӀунан цӀахь латтадора цо иза.</verse>
				<verse number="15">Мисарахь а, КанаӀан-махкахь а ахча кхачийча, берриг а Мисар-махкарчу наха, Юсупна тӀе а баьхкина, элира: «Тхуна бепиг лохьа, ма далийтахь тхо хьайн бӀаьргашна хьалха. Тхан ахча кхачийна».</verse>
				<verse number="16">Юсупа элира: «Шайн ахча кхачийнехь, даьхни схьадаладе, ас цунна дуьхьал ялта лур ду шуна».</verse>
				<verse number="17">Цара Юсуп волчу даьхни схьадалийра. Говрашна а, уьстагӀашна а, гезаршна а, стерчашна а, хьелашна а, варрашна а дуьхьал цо цу нахана ялта делира. Цу шарахь царна ялта латтийра Юсупа дерриг а церан даьхнина дуьхьал.</verse>
				<verse number="18">Шо чекхдаьлча, цунна тӀе а баьхкина, элира цара: «Оха лечкъор дац тхайн элах: тхан ахча а кхачийна, тхан даьхни а хьан дола даьлла, тхайн догӀмашший, латтий бен хӀумма а ца дисна тхоьгахь.</verse>
				<verse number="19">Хьан бӀаьргашна хьалха тхо а, тхан латта а хӀаллак хӀунда хуьлу? Ялтина дуьхьал дӀаэцахьа тхо. Тхайн лаьттаца пирӀунан лоллехь хила реза ду тхо. Латта даьсса ца хилийта а, тхо хенара довлийта а дӀаден хӀу лохьа тхуна».</verse>
				<verse number="20">Иштта Мисарахь долу дерриг а латта ийцира Юсупа пирӀунна. ХӀора мисархочо шен латта доьхкира, хӀунда аьлча мацаллина дан хӀума дацара церан. Латта пирӀунан дола делира.</verse>
				<verse number="21">Ткъа нахах Мисаран цхьана маьӀӀера вукху маьӀӀе кхаччалц Юсупа леш бира.</verse>
				<verse number="22">Динан дайшкара латта ца ийцира цо, хӀунда аьлча массо а хенахь пирӀуно дакъа а кхочуьйтуш, Ӏаш бара уьш. Цундела цара шайн латта ца доьхкира.</verse>
				<verse number="23">Юсупа элира нахе: «ХӀинца ас шу а, шун латта а пирӀунна эцна. ХӀара хӀу ду шуна латта дӀаден.</verse>
				<verse number="24">Шайн ялта кхиъча, цунах пхоьалгӀа дакъа пирӀунна дӀалур ду аша, ткъа диснарг дӀаден а, шуна а, шун берашна а, шун цӀахь болчарна а даа хир ду».</verse>
				<verse number="25">Наха элира: «Ахьа тхо кӀелхьардехи. ПирӀунан леш хир ду тхо, хьо тхайна резаван лаьара тхуна».</verse>
				<verse number="26">Иштта лаьттах долу Ӏедал хӀоттийра Юсупа. Иза тахана а Мисарахь дӀалелаш ду: лаьттах схьадаьллачух дерригенах а пхоьалгӀа дакъа пирӀунна дӀалуш, динан дайн долахь доцург, важа латта пирӀунан долахь а долуш.</verse>
				<verse number="27">Исраилхой ГӀашан олучу меттехь Ӏаш бара. Церан дола дуккха а хӀума а делира, уьш тӀеттӀа дебаш а бара.</verse>
				<verse number="28">Якъуб Мисарахь вуьрхӀитта шарахь Ӏийра, цуьнан бӀе шовзткъе ворхӀ шо дара.</verse>
				<verse number="29">Ша лечу хенахь, шен кӀанте Юсупе схьа а кхайкхина, цо элира: «Хьо суна реза велахь, сан кога кӀел куьг а диллий, дош ло суна, хьо соьца дика а, суна тешаме а хир ву алий. Со Мисар-махкахь дӀа ма воллалахь.</verse>
				<verse number="30">Со сайн дайх дӀакхетча, Мисарара дӀа а хьой, уьш боьхккинчу дӀаволлалахь». Юсупа элира: «Ахь ма-бохху дийр ду ас».</verse>
				<verse number="31">«Дуй баал», — элира дас. Юсупа дуй биира. Маьнги йистехь волу Исраил Далла хьалха охьатаьӀира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="48">
				<verse number="1">Дукха хан ялале Юсупе элира, цуьнан да чӀогӀа цомгуш ву аьлла. Шен ши кӀант, Маннаш а, Эпрам а, эцна, цунна тӀе вахара иза.</verse>
				<verse number="2">Якъубе хаам бира: «Хьо волчу хьан кӀант Юсуп веана», — аьлла. Шен берриг а ницкъ гулбина, метта охьахиира Исраил.</verse>
				<verse number="3">Якъуба элира Юсупе: «КанаӀан-махкарчу Луз олучу меттехь Ша гайтинчу Нуьцкъалчу Дала декъалвира со.</verse>
				<verse number="4">Цо элира соьга: „Ас дебор бу хьан доьзал, хьан дуккха а бераш хуьлуьйтур ду, хьох халкъийн доьзал схьабер бу. ХӀара латта хьан тӀаьхьенна гуттаренна а дӀалур ду Ас“.</verse>
				<verse number="5">Со Мисара вале кхузахь хьуна вина волу ши кӀант хӀинца дуьйна сан хир ву. Эпрам а, Маннаш а сан хир ву, Раабан а, ШимӀа а санна.</verse>
				<verse number="6">Кхарал тӀаьхьа хьуна дина бераш хьан хир ду. Церан дола даьллачу лаьтта тӀехь шайн вежарийн кӀентий болуш санна Ӏийр бу уьш.</verse>
				<verse number="7">Со Падан-Арамера схьавогӀуш, КанаӀан-махкахь Эпрати цӀе йолчу гӀалина тӀекхачале, новкъахь, хьан нана Рахьал елира. Цигахь Эпрате (Байтлахаме) боьдучу новкъа йистехь дӀайоьллира ас иза».</verse>
				<verse number="8">ТӀаккха, Юсупан кӀентий а гина, Исраила хаьттира: «Уьш муьлш бу?»</verse>
				<verse number="9">Юсупа дена жоп делира: «Уьш Дала суна кхузахь белла кӀентий бу». ТӀаккха Исраила элира: «Суна тӀе валаве и шиъ соьга декъалвайта».</verse>
				<verse number="10">Иза дукха къена волуш цуьнан бӀаьргашна са дика ца гора. Юсупа ши кӀант цунна тӀе валийра. Цо, мара а бухкуш, барташ дехира царна.</verse>
				<verse number="11">Исраила элира Юсупе: «Суна ца моьттура сайна хьо юха гур ву, ткъа Дала хьан бераш ган а аьтто би сан».</verse>
				<verse number="12">Ши кӀант Исраилан голашна уллора дӀа а хилийна, цунна хьалха лохха охьатаьӀира Юсуп.</verse>
				<verse number="13">Цул тӀаьхьа, дена улло ши кӀант схьа а валийна, Эпрам шена аьтту агӀор Исраилна аьрру агӀор хӀоттийра цо, ткъа Маннаш шена аьрру агӀор Исраилна аьтту агӀор хӀоттийра.</verse>
				<verse number="14">Амма Исраила шен аьтту куьг Эпраман коьрта тӀе диллира, иза жима велахь а, ткъа аьрру куьг, аьттучунна тӀехула а даьккхина, Маннашан коьрта тӀе диллира. Цхьа Ӏалашо йолуш дира цо иштта, Маннаш дуьххьарниг воллушехь.</verse>
				<verse number="15">Юха, цаьргахула Юсуп декъал а веш, цо элира: «Шена кӀелахь сан дай ИбрахӀим а, Исхьакх а лелла Дела, таханлера де кхаччалц дерриг а сан дахарехь со Шена тӀаьхьа хӀоттийна лелла волу Дела,</verse>
				<verse number="16">муьлххачу а вочух со ларвина Малик, декъалдехьа хӀара бераш. Кхаьргахь дӀахьойла сан а, сан дайн ИбрахӀиман а, Исхьакхан а цӀераш. Деба а дебна, даккхий халкъаш схьадовлийла кхарах дуьнен чохь».</verse>
				<verse number="17">Шен дас аьтту куьг Эпраман коьрта тӀе диллина гича, Юсупна халахийтира. Цо ден куьг схьалецира, Эпраман коьрта тӀера Маннашан коьрта тӀе дилла дагахь.</verse>
				<verse number="18">Юсупа элира цуьнга: «ХӀан-хӀан, дада, хьалхарниг хӀара ву, аьтту куьг цуьнан коьрта тӀе дилла».</verse>
				<verse number="19">Амма да реза ца хилира: «Суна хаьа, сан кӀант, суна хаьа. Кхунах а халкъ схьадер ду, и халкъ а доккха, сийлахь хир ду. Амма жимаха волу ваша цул лакхара хир ву, цуьнан тӀаьхьенах дукха халкъаш схьадевр ду».</verse>
				<verse number="20">Цу дийнахь, уьш декъал а беш, цо элира: «Шун цӀерашца Исраилан халкъо вовшийн декъалбийр бу: „Эпрам а, Маннаш а санна войла хьо Дала“, — бохуш». Иштта Эпрам Маннашал лакхара хӀоттийра цо.</verse>
				<verse number="21">Юха Исраила элира Юсупе: «Со леш ву, амма Дела шуьца хир ву. Цо шайн дайн лаьтта тӀе юхадуьгур ду шу.</verse>
				<verse number="22">Хьайн вежарел хьо лакхара хиларна, айса эмархошкара туьраца а, Ӏодаца а баьккхина Шехем-мохк дӀало ас хьуна».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="49">
				<verse number="1">Шен кӀентий схьа а кхайкхина, Якъуба элира: «Суна уллохь гул а лой, ладогӀа, тӀейогӀучу хенахь шуьца хиндерг дуьйцур ду ас.</verse>
				<verse number="2">Гул а лой, ладогӀа, Якъубан кӀентий, ладогӀа шайн дега Исраиле.</verse>
				<verse number="3">Раабан, хьо сан дуьххьарлераниг ву, сан ницкъ, сан боьршаллин дуьххьарлера стом, уггар сийлахьверг а, ницкъберг а.</verse>
				<verse number="4">Амма, кхехкаш тӀехъоьху хи санна, сиха волу хьо кхин хир вац хьалхарниг, хӀунда аьлча, дӀа а вахана, хьайн да дӀавуьжу мотт сийсазбина ахь. Сан метта дӀавижна хьо.</verse>
				<verse number="5">ШимӀа а, Леви а вежарий бу. Шайн таррашца нахана ницкъ бо цара.</verse>
				<verse number="6">Церан кхеташонна юкъа а гӀур вац со, церан гуламе а гӀур вац, хӀунда аьлча оьгӀазаллица нах байина цара, хазахетархьама стерчийн когийн пхенаш хедийна.</verse>
				<verse number="7">НеӀалт хилла ю церан оьгӀазалла, хӀунда аьлча иза буьрса йолу дела, неӀалт хилла ду церан дералла, хӀунда аьлча иза къиза долу дела. Якъубан тӀаьхье йолчохь царна латта хир дац, ас дӀасакхуьссур бу уьш берриг а Исраилан махкахула.</verse>
				<verse number="8">ЯхӀуд, хьан вежарша хастор ву хьо, хьан куьг мостагӀийн яьӀнаш тӀехь хир ду. Хьан вежарий хьуна хьалха охьатаьӀар бу.</verse>
				<verse number="9">Хьо къона лом ду, ЯхӀуд. Талла ваханчуьра вогӀу хьо, сан кӀант. СадаӀа лаьтта дижина лом санна ву хьо, мила ваьхьар ву хьуна новкъарло ян?</verse>
				<verse number="10">Паччахьан дарж ЯхӀудах дер дац, цуьнан тӀаьхьенан карахь гуттар а хир ю олалла гойтуш йолу гӀаж, иза Шилун-гӀала дӀакхаччалц а, халкъаш цунна муьтӀахь хиллалц а.</verse>
				<verse number="11">Цо шен вир кемсийн таьллангах дӀатосур ю, ткъа виран кӀорни — тоьллачу гаьннах. Тоьллачу чагӀар чохь шен бедар яшор ю цо. ЧагӀаран мутта чохь шен духар дуьттур ду цо.</verse>
				<verse number="12">Цуьнан бӀаьргаш чагӀарал Ӏаьржа хир ду, ткъа цергаш шурел кӀайн хир ю.</verse>
				<verse number="13">Забул хӀордан йистехь вехар ву. Цуьнан берд хӀордкеманашна кхераме хир бац, цуьнан латта ЦӀадан-гӀалина тӀекхаччалц хир ду.</verse>
				<verse number="14">Шина а агӀор беза мохь а болуш, садоӀуш Ӏуьллучу вирах тера хир ву Иссархан, ша онда велахь а.</verse>
				<verse number="15">Шен садоӀу меттиг дика хилар а, шен латта хаза хилар а гина, халачу балхана къарвелла лай санна, бахьа ца лучу мохьана кӀел хӀуттур ву иза.</verse>
				<verse number="16">Дан Исраилан халкъана кхелахо хир ву, иза Исраилан цхьа тукхам санна хир ву.</verse>
				<verse number="17">Новкъа йистехь Ӏуьллучу лаьхьанах тера хир ву иза. ТӀехйолучу говран ког лоцу, некъан тачи тӀехь Ӏуьллу лаьхьа бу иза. Говр лазийча, цунна тӀера бере охьавужу.</verse>
				<verse number="18">Веза Эла! Ахь кӀелхьарваккхаре сатесна ву со.</verse>
				<verse number="19">Гадина тӀе талорхой летар бу, амма цо уьш лохкур бу.</verse>
				<verse number="20">Ашаран кхача токхе хир бу, паччахьан даарш хир ду цуьнан.</verse>
				<verse number="21">Наптал маьрша баьккхинчу сенах тера ву, исбаьхьа кӀорнеш луш йолчу сенах тера ву иза.</verse>
				<verse number="22">Юсуп хьостана уллохь йоллучу, дуккха а стом лучу кемсийн таьллангах тера ву. Цу таьлланган генаш пенна тӀехула хьаладоьлхуш ду.</verse>
				<verse number="23">Дерачу оьгӀазаллица пхерчий а кхуьссуш, мостагӀий летара цунах.</verse>
				<verse number="24">Амма цуьнан Ӏад чӀогӀа ду, цуьнан куьйгаш онда а, говза а ду. Цунна ницкъ белла Якъубан Нуьцкъалчо, Исраилан Ӏуьно а, Тархо а,</verse>
				<verse number="25">хьуна гӀо деш волчу хьан ден Дала, хьо декъалвеш волчу Нуьцкъалчо. Лакхарчу Шен стигалшца а, лахарчу латтанашца а, кӀайн кхача лучу накхошца а, ховхачу кийранашца а декъалвойла хьо Нуьцкъалчу Дала.</verse>
				<verse number="26">Ширачу лаьмнийн деза хиларал а, даим лаьттачу гунийн хаза хиларал а лекха ду хьан дас хьо декъалвар. Шен вежаршна юкъахь эла волчу Юсупца хуьлийла и декъалвар.</verse>
				<verse number="27">Бен-Яман дера борз ю. Ӏуьйранна шен ижу юу цо, сарахь талорца карадеанарг доькъу».</verse>
				<verse number="28">Иштта ду Исраилан шийтта тукхам. Иза элира цаьрга, уьш декъалбеш, церан дас. ХӀора а шена доггӀучу кепара декъалвира цо.</verse>
				<verse number="29">Юха иштта весет дира цо шен кӀенташка: «Со сайн дай болчу дӀагӀур ву кестта. Хьетахочун Ӏепронан лаьтта тӀехь, сан дай болчу хьеха чохь дӀаволлалаш со.</verse>
				<verse number="30">КанаӀан-махкарчу Мамари олучу меттера Махпела цӀе йолчу арахь ю и хьех. Хьетахочуьнгара Ӏепронера нах дӀабохка эцначу лаьттаца цхьаьна эцна ю и хьех ИбрахӀима.</verse>
				<verse number="31">Цигахь дӀабоьхкина бу ИбрахӀим а, цуьнан зуда Сарат а, Исхьакх а, цуьнан зуда Ребикха а, цигахь дӀайоьллина ас Леа а.</verse>
				<verse number="32">Аре а, цу тӀера хьех а хьетахошкара эцна ю».</verse>
				<verse number="33">Шен кӀенташна хьехам бина а ваьлла, ши ког метта хьала а баьккхина, дӀавижна волу Якъуб, кхалха а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="50">
				<verse number="1">Дена тӀе а кхетта, цунна барташ а дохуш, вилхира Юсуп.</verse>
				<verse number="2">Шен ялхошка-лоьрашка ден дакъа талха ца талхийта, молханаш а тохий, кечде аьлла, омра дира цо. Лоьраша иза кечдира.</verse>
				<verse number="3">Цу кечамна шовзткъа де дӀаделира, хӀунда аьлча цу балхана лерина йолу хан яра иза. Мисархоша кхузткъе итт дийнахь белхарш дира Якъуб велча.</verse>
				<verse number="4">Белхаран денош чекхдевлча, Юсупа элира пирӀунна уллорчу нахе: «Шу суна реза делахь, доьху шуьга, пирӀуне дӀаала:</verse>
				<verse number="5">„Сан дас, соьга чӀагӀо а яйтина, элира: ‘Со леш ву, ас КанаӀан-махкахь яьккхинчу къубба чохь дӀаволлалахь со’. Пурба ло суна, вахана, сайн да дӀаволла, цул тӀаьхьа со юхавогӀур ву“».</verse>
				<verse number="6">ПирӀуно элира: «Ваха а гӀой, айхьа чӀагӀо ма-ярра, хьайн да дӀаволла».</verse>
				<verse number="7">Юсуп шен да дӀаволла воьдуш, цуьнца пирӀунна уллора нах а, пирӀунан цӀийнера а, берриг Мисар-махкара а элий бахара.</verse>
				<verse number="8">Юсупан доьзалера берш а, вежарий а, цуьнан ден цӀийнах болу нах а бахара. ГӀашанехь бераш а, даьхни а бен ца дисира.</verse>
				<verse number="9">Царна тӀаьхьахӀиттина йогӀуш гӀудалкхаш а яра, дошлой а бара. Дукха адам дара дӀадогӀуш.</verse>
				<verse number="10">Йордан-хина малхбалехьа йолчу Атад олучу хьаьтта кхаьчча, чӀогӀа белха хӀиттира уьш. ВорхӀ дийнахь цигахь белхар дира Юсупа.</verse>
				<verse number="11">Атада уллохь долу и белхар а гина, цу меттехь Ӏаш болчу канаӀанхоша элира: «Мисархойн доккха белхар ду». Цундела Йорданна малхбалехьа йолчу цу меттигах Абал МицӀраим олу (иза «мисархойн белхар» бохург ду).</verse>
				<verse number="12">Иштта Якъубан кӀенташа цуьнан весет кхочушдира.</verse>
				<verse number="13">КанаӀан-махка дӀа а ваьхьна, Мамари цӀе йолчу меттигна уллохь йолчу Махпела олучу арахь лаьттачу хьеха чохь дӀавоьллира цара иза. И хьех цу аренца цхьаьна ИбрахӀима хьетахочуьнгара Ӏепронера эцнера, шен белла нах цу чохь дӀабохкархьама.</verse>
				<verse number="14">Да дӀа а воьллина, шен вежаршца а, цига баьхкинчу нахаца а Мисар-махка вухавеара Юсуп.</verse>
				<verse number="15">Шайн да велча, Юсупан вежарша ойла йира: «ХӀун хаьа, Юсуп вайна оьгӀазвахана Ӏаш хила мега, шена вай динчу вонна дуьхьал хӀинца бекхам бан дагахь?»</verse>
				<verse number="16">Цара Юсупна тӀе нах бахийтира цуьнга ала: «Ша валале хьан дас тхуна весет дина:</verse>
				<verse number="17">„Шайн веше Юсупе дӀаала: ‘Ас доьху хьоьга вежаршна цара латийначу къинна гечдар’. Оха а доьху хьоьга, Юсуп, хьайна бинчу вочу балхана гечдехьа хьайн ден Делан лешна“». Шега даийтинчу хабаре ладугӀуш волу Юсуп вилхира.</verse>
				<verse number="18">ТӀебаьхкина, гора а эгна, цуьнан вежарша элира: «Тхо хьан леш ду».</verse>
				<verse number="19">Юсупа жоп делира: «Кхера ма кхера. Со Дела ма вац.</verse>
				<verse number="20">Шуна дагадеара суна зулам дан, амма Дала цунах дика болх хилийтира, хӀинца тахана долуш дерг кхочушхилийта: дукха адамаш лечуьра кӀелхьардахар.</verse>
				<verse number="21">Цундела ма кхера: ас шу а, шун бераш а кхобур ду». Уьш тебеш, цаьрца эсала къамел дира цо.</verse>
				<verse number="22">Шен ден доьзалца Мисар-махкахь Ӏийра Юсуп. Цуьнан бӀе итт шо кхаьчнера.</verse>
				<verse number="23">Иза дийна а волуш, Эпрайман бераш а, берийн бераш а хилира. Маннашан кӀантана Макирна дина бераш а, шен долуш санна, тӀеийцира цо.</verse>
				<verse number="24">Юсупа элира вежаршка: «Со леш ву, амма Дала шуна гӀо дийр ду. Кху лаьтта тӀера Ша ИбрахӀимна а, Исхьакхана а, Якъубана а чӀагӀонца деллачу лаьтта тӀе шу дӀадуьгур ду Цо».</verse>
				<verse number="25">Исраилан кӀенташка чӀагӀо а яйтина, Юсупа элира: «Дала шуна билггал гӀо дийр ду, тӀаккха аша сан даьӀахкаш кхузара дӀаяхьа еза».</verse>
				<verse number="26">Иштта бӀе итт шо долуш Юсуп кхелхира. Ца талхийта молханаш а тоьхна, кеч а дина, Мисар-махкахь тӀорказ чу диллира цуьнан дакъа.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="2">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">Якъубца Мисар-махка шайн доьзалшца баьхкинчу Исраилан кӀентийн цӀераш хӀорш ю:</verse>
				<verse number="2">Раабан, ШимӀа, Леви, ЯхӀуд,</verse>
				<verse number="3">Иссархан, Забул, Бен-Яман,</verse>
				<verse number="4">Дан, Наптал, Гада, Ашар.</verse>
				<verse number="5">Верриг а Якъубах схьаваьлларг кхузткъе итт вара, ткъа Юсуп цу хенахь Мисарахь вара.</verse>
				<verse number="6">Юсуп а, цуьнан вежарий а, церан нах а, кхелхина, дӀабевллера.</verse>
				<verse number="7">Ткъа Исраилан тӀаьхьенах болу нах, деба а дебаш, алсамбуьйлуш бара. Берриг а мохк буьзнера цара.</verse>
				<verse number="8">Юха Мисар-махкахь керла пирӀун хӀоьттира, цунна Юсупах лаьцна хӀумма а ца хаьара.</verse>
				<verse number="9">Цо элира шен халкъе: «Исраилан халкъ доккха хилла, иза вайна кхераме хила мегаш ду.</verse>
				<verse number="10">Исраилхой ца дебийта хьовса деза вай. Нагахь тӀом балахь, уьш вайн мостагӀех дӀа а кхетта, вайх лата а летта, кху махкара дӀагӀур бу».</verse>
				<verse number="11">Мисархоша шайн хьаькамаш хӀиттийра, исраилхойх леш а бина, цаьрга беза белхаш байта. Питам а, РаӀамсас а цӀераш йолу гӀаланаш йира исраилхоша пирӀунна, шайна чохь тӀаьхьалонна хӀума латто.</verse>
				<verse number="12">Амма оцу халкъана тӀехь гӀело мел йо а, иза тӀеттӀа дебара, цу махкахула дӀасадаьржара. Мисархой кхоьрура исраилхойх.</verse>
				<verse number="13">Цундела кхин а чӀогӀа беза а, хала а белхаш бойтура цара исраилхошка.</verse>
				<verse number="14">Мисархоша къахьдинера исраилхойн дахар, поппарца а, кибарчигашца а болу а, аренашкахь болу а беза белхаш бойтуш. Муьлхха а болх бойтура цара исраилхошка, къинхетам боцуш.</verse>
				<verse number="15">Ӏебархойн зударийн бераш хуьлучу хенахь царна гӀо деш яра Шапарат а, ПуӀа а цӀераш йолу ши зуда. ПирӀуно омра дира цаьрга:</verse>
				<verse number="16">«Ӏебархойн зударийн бераш хуьлучу хенахь йоӀ дийна йита, кӀант ве!», — аьлла.</verse>
				<verse number="17">Амма Делах кхоьруш йолчу шина зудчо пирӀуно бохург ца дора, цара кӀентий дийна буьтура.</verse>
				<verse number="18">ПирӀуно, тӀе а кхайкхина, элира цаьрга: «И хӀун ду аша деш дерг? КӀентий дийна хӀунда буьту аша?»</verse>
				<verse number="19">Шина зудчо пирӀуне элира: «Ӏебархойн зударий мисархойчарал могуш а, онда а бу. Тхо тӀекхачале бер дуьнен чу даьлла хуьлу церан».</verse>
				<verse number="20">Дала диканиг дора цу шина зудчунна. Ткъа Ӏебархойн халкъ тӀеттӀа алсамдолуш дара.</verse>
				<verse number="21">Шех кхоьруш и ши зуда хиларна, Дала церан шайн а доьзалш хилийтира.</verse>
				<verse number="22">ТӀаккха пирӀуно дерриге а шен халкъе омра дира: «Дуьнен чу ваьлла Ӏебархойн кӀант Нил-хи чу кхосса, ткъа йоӀ дийна йита», — аьлла.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Левин тӀаьхьенах волчу цхьана стага шен тайпанах йолу зуда ялийра.</verse>
				<verse number="2">Доьзалхочух а хилла, кӀант вира цу зудчо. Бер хаза долу дела, иза, лечкъош, кхаа баттахь лелийра цо.</verse>
				<verse number="3">Эххар а, кхидӀа иза лечкъо а ца яьхьна, эрзах тускар а дина, цунах силам а хьаькхна, кӀант чу а виллина, тускар эрзашкахь берда йистехь дитира цо.</verse>
				<verse number="4">Ткъа кӀентан йиша геннара хьоьжуш яра цунах хӀун хуьлу.</verse>
				<verse number="5">Юха пирӀунан йоӀ еара Нил-хи тӀе лийча. Цуьнан ялхой-зударий берда йистехула лелаш бара. ЙоӀана эрзаш юкъахь тускар гира, цо шен гӀарбаш яхийтира иза схьаэца.</verse>
				<verse number="6">Тускар схьадиллича, чохь бер гира цунна. Бер доьлхуш хиларна, цунах къахийтира йоӀана, цо элира: «ХӀара Ӏебархойн бер ду».</verse>
				<verse number="7">Цу хенахь тӀееанчу кӀентан йишас элира пирӀунан йоӀе: «Хьуна лаахь, ас, яхана, Ӏебархойн зуда ялор ю кӀант вакхо».</verse>
				<verse number="8">ПирӀунан йоӀа элира: «ГӀо, хӀета». Вукхо кӀентан нана схьаялийра.</verse>
				<verse number="9">ПирӀунан йоӀа элира зудчуьнга: «ХӀара бер, схьа а эций, кхаба. Ас мах лур бу хьуна кхунах». Зудчо, дӀа а даьхьна, бер кхебира.</verse>
				<verse number="10">КӀант воккха хилира. Нанас иза пирӀунан йоӀе дӀавелира. Вукхо иза, шен волуш санна, лелавора. КӀентан цӀе Муса тиллира пирӀунан йоӀа (иза «схьаваьккхинарг» бохург ду), ша иза хи чуьра схьаваьккхина дела.</verse>
				<verse number="11">Цул тӀаьхьа дуккха а хан яьлча, Муса воккха а хилла, цкъа шен вежарий-исраилхой болчу вахара. Цунна гора, шен халкъ мисархоша дацор а, цуьнга беза белхаш байтар а. Цу дийнахь цунна гира цхьана мисархочо шен къомах волчу Ӏебархочунна етташ.</verse>
				<verse number="12">ДӀа а, схьа а хьаьжна, уллохь цхьа а ца гича, тоьхна, и мисархо вен а вийна, гӀамарла воьллира Мусас.</verse>
				<verse number="13">ШолгӀачу дийнахь иза цига веача, дов даьлла воллуш ши Ӏебархо вара. Мусас элира харцлуьйш волчуьнга: «Хьайн вешина хӀунда етта ахь?»</verse>
				<verse number="14">«Тхуна тӀехь хьаькам а, кхелахо а хьо хьан хӀоттийна? Айхьа вийна мисархо санна, со вен-м ца гӀерта хьо?» — элира цу стага. ТӀаккха Муса кхеравелира. «ХӀинца ас динарг массарна а хиъна», — аьлла, дагадеара цунна.</verse>
				<verse number="15">И гӀуллакх хаа а хиъна, Муса вен гӀерташ пирӀун а вара. Амма пирӀун волчуьра ведда, маданхойн лаьтта тӀе веара Муса. Цу махкахь волчу динан ден ворхӀ йоӀ яра. Муса гӀуна йистехь охьахиина Ӏаш волчу хенахь,</verse>
				<verse number="16">тӀе а баьхкина, нойш чу хи доьттира цара шайн ден уьстагӀашна мало.</verse>
				<verse number="17">Амма охьабаьхкинчу Ӏуша зудабераш хи тӀера дӀачовхийра. ТӀаккха Мусас, цаьргахьа гӀо а даьккхина, церан уьстагӀашна хи малийра.</verse>
				<verse number="18">Шайн да РаӀал волчу бахара йоӀарий. Дас хаьттира: «Тахана ма хьалхе даьхкина шу цӀа?»</verse>
				<verse number="19">Цара элира: «Цхьана мисархочо гӀо даьккхира тхоьгахьа. Тхуна хи а эцна, уьстагӀашна хи малийра цо».</verse>
				<verse number="20">Дас элира йоӀаршка: «Мичахь ву иза? Цигахь хӀунда витина аша иза? Схьакхайкха цуьнга, вайца хӀума юур ю цо».</verse>
				<verse number="21">Цу стеган доьзалехь висира Муса. РаӀала шен йоӀ Ципара яхийтира цуьнга.</verse>
				<verse number="22">Шен зудчо кӀант вича, Мусас цуьнан цӀе ГӀиршам тиллира (иза «цигахь волу тӀевеанарг» бохург ду), хӀунда аьлча ша хийрачу махкахь тӀевеана стаг волу дела.</verse>
				<verse number="23">Цул тӀаьхьа дуккха а хан елира. Мисар-мехкан пирӀун велира, амма исраилхой, хьалха санна, Ӏазапехь бохкуш бара. Беза болх ла ца луш, узарш дора цара. Цара доккху орца Деле хьалакхечира.</verse>
				<verse number="24">Шена исраилхойн узарш хезча, Дала ойла йира Ша ИбрахӀимца а, Исхьакхаца а, Якъубца а барт барх лаьцна.</verse>
				<verse number="25">Исраилхошка а хьаьжна, церан Ӏалашо ян лиира Далла.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">Шен стунден, маданхойн махкахь динан да волчу Итаран, уьстагӀий дажош вара Муса. Цкъа уьстагӀий дажош, генна яьссачу арахула дӀавахна, Хьариб цӀе йолчу Делан лам тӀе кхечира иза.</verse>
				<verse number="2">Везачу Элан Малик дуьхьалхӀоьттира цунна йогучу коканан кулла юккъехь. Коканан куллах цӀе леттера. ЦӀе леттехь а, йогуш яцара и колл.</verse>
				<verse number="3">Мусас элира: «ТӀеваха веза со оцу инзаречу хӀумане хьажа. Колл хӀунда ца йогу?»</verse>
				<verse number="4">Муса тӀевогӀуш Шена гича, Веза Эла кулла юкъара кхайкхира: «Ва Муса!» «Со кхузахь ву!» — элира Мусас.</verse>
				<verse number="5">Дала элира: «ТӀе ма воьллахь кхуза. Хьайн когара мачаш дӀаяха, хьо лаьтта меттиг, Со кхузахь хиларна, деза латта ду.</verse>
				<verse number="6">Со хьан ден Дела ву, ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела». Мусас шен юьхь дӀакъевлира, хӀунда аьлча иза кхоьрура Деле хьажа.</verse>
				<verse number="7">Везачу Эло элира: «Мисарахь Сайн халкъо хьоьгу бала гина Суна, тӀехӀиттиначара ницкъ барна цуьнан узарш хезна. Суна хаьа Сайн халкъан лазам.</verse>
				<verse number="8">ТӀевахана, иза мисархойн Ӏазапах кӀелхьара а даьккхина, цу махкара арадоккхур ду Ас. Дикачу а, боккхачу а, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу, канаӀанхойн а, хьетахойн а, эмархойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а махка дӀадуьгур ду Ас Сайн халкъ.</verse>
				<verse number="9">Исраилхойн белхарш хезна Суна, мисархоша церан Ӏазапехь бахкор а гина.</verse>
				<verse number="10">ХӀинца Ас хьо пирӀунна тӀе вохуьйту. Ваха а гӀой, Мисарара Сан халкъ, Сан халкъ долу исраилхой, Мисарара арабаха».</verse>
				<verse number="11">Амма Мусас элира Деле: «Со мила ву, пирӀунна тӀеваха а, Мисарара исраилхой арабаха а?»</verse>
				<verse number="12">Дала элира: «Со хьоьца хир ву. Ас хьо вахийтина хиларан хӀара билгало хир ю: Мисарара ахь халкъ арадаьккхича, кху лам тӀехь Суна Ӏамал йийр ю аша, Сан леш а хилла».</verse>
				<verse number="13">Юха Мусас элира Деле: «Исраилхошка, тӀе а вахана, ас эр ду: „Шун дайн Дала ваийтина со шуна тӀе“. Цара соьга хоттур ду: „ХӀун ю Цуьнан цӀе?“ ТӀаккха, хӀун ала деза ас цаьрга?»</verse>
				<verse number="14">Дала Мусага элира: «Со „Со Верг“ ву. Иштта дӀаала исраилхошка: „Ша Волуш Волчо ваийтина со шуна тӀе“».</verse>
				<verse number="15">Кхин а элира Дала Мусага: «Иштта ала исраилхошка: „Везачу Эло, шун дайн Дала, ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дала, ваийтина со шуна тӀе“. Иза ю Сан цӀе абадехь, цу цӀарца хьахор ву Со тӀейогӀучу тӀаьхьенаша.</verse>
				<verse number="16">Ваха а гӀой, исраилхойн къаной а гулбай, ала: „Везачу Эло, шун дайн Дала, ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дала, суна Ша гайта а гайтина, элира соьга: ‘Шу долчу веача, Суна гира Мисар-махкахь шуна хуьлуш дерг.</verse>
				<verse number="17">Ас чӀагӀо йина, шуна таӀзар дечу Мисарара канаӀанхойн а, хьетахойн а, эмархойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а махка, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тӀе, шу дӀадига’“.</verse>
				<verse number="18">Исраилхойн къаноша хьоьга ладугӀур ду. Уьш а эций, пирӀунна тӀегӀо. Аша цуьнга ала: „Веза Эла, Ӏебархойн Дела, веана тхо долчу. ДӀахецахьара ахь тхо, кхаа дийнахь яьссачу арахула дӀа а дахана, Везачу Элана, тхайн Далла, сагӀа даккха дезаш ду тхо“.</verse>
				<verse number="19">Амма Суна хаьа, пирӀуно шу дӀахоьцур дац, нагахь иза нуьцкъаха цуьнга ца дайтахь.</verse>
				<verse number="20">Ас, Мисарна тӀехула Сайн нуьцкъала куьг а лаьцна, инзаре хӀуманаш гойтур ду цу махкахь, тӀаккха цо шу дӀахоьцур ду.</verse>
				<verse number="21">Мисархой исраилхошца дика хуьлуьйтур бу Ас, тӀаккха шу цу махкара дӀадоьлхуш даьсса гӀур дац.</verse>
				<verse number="22">ХӀора исраилхойн зудчо шен лулахочуьнгара я шен чохь Ӏаш йолчу мисархойн зудчуьнгара дашо а, дато а хӀума а, еза тӀеюху хӀума а еха еза. Цу хӀуманашца шайн бераш кечде. Иштта аша Мисарара хьал дӀахьур ду».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">ТӀаккха Мусас элира: «Ткъа уьш сох ца тешахь, Ахь со ваийтина ас аьлча? „Везачу Эло Ша ца гайтина хьуна“, — алахь?»</verse>
				<verse number="2">Везачу Эло хаьттира: «И хӀун ю хьан карахь ерг?» Мусас жоп делира: «Сан некъан Ӏаса ю-кх».</verse>
				<verse number="3">«Охьакхосса иза лаьтта», — элира Везачу Эло. Мусас Ӏаса охьакхоьссира — гӀожах лаьхьа хилира. Кхера а велла, дӀаведира Муса.</verse>
				<verse number="4">Везачу Эло элира: «Куьг дӀа а кховдадай, схьалаца цу лаьхьанан цӀога». Мусас лаьхьа схьалецира — цу сохьта лаьхьанах юха а Ӏаса хилира.</verse>
				<verse number="5">«Иштта ахь дахь, нах тешар бу Везачу Эло, церан дайн Дала, ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дала, Ша хьуна гайтина аьлча», — элира Везачу Эло.</verse>
				<verse number="6">Кхин а элира цуьнга Везачу Эло: «Хьайн куьг чета диллал». Мусас куьг чета диллира. Юха цо иза схьадаьккхича, ло санна, кӀайн хьаьттарш тӀехь а йолуш, цамгар лаьцна хилира куьг.</verse>
				<verse number="7">«ХӀинца юха а куьг чета дилла», — элира Везачу Эло. Куьг юха а чета диллира Мусас. Цо иза схьадаьккхича, хьалха ма-дарра, могуш дара куьг.</verse>
				<verse number="8">«Нагахь хьох а, дуьххьарлерчу тамашийначу билгалонах а нах ца тешахь, шолгӀачу билгалонах тешар бу.</verse>
				<verse number="9">Нагахь цу шина билгалонах а ца тешахь, Нил чуьра жимма хи, схьаэций, лаьтта охьадотта, цу хинах цӀий хир ду», — элира Везачу Эло.</verse>
				<verse number="10">ТӀаккха Мусас элира Везачу Эле: «Веза Эла! Со дашна говза вац, гуттар а иштта хилла а ву. ХӀинца Хьоьца къамел динчул тӀаьхьа а дешан говзалла яц соьгахь. Со маттана шера вац».</verse>
				<verse number="11">Везачу Эло элира: «Стагана мотт белларг мила ву? Мотт ца хууш я къора, я са гуш, я бӀаьрзе веш верг мила ву? Со — Веза Эла вац?</verse>
				<verse number="12">ДӀагӀо, Со хьоьца хир ву ахь къамел дечу хенахь, Ас Ӏамор ду хьуна ала дезарг».</verse>
				<verse number="13">Мусас элира: «Веза Эла! Хьайна луъург кхиниг вахийтахьа сан метта».</verse>
				<verse number="14">Веза Эла Мусана оьгӀазвахара, Цо элира: «Левин тӀаьхьенах а волуш, АхӀарон цӀе йолуш ваша вац хьан? Суна хаьа иза къамел далуш вуйла. Иза хьуна дуьхьал вогӀур ву, хьо гича, цунна хазахетар ду.</verse>
				<verse number="15">Ахьа шега аьлларг цо дӀаэр ду. Къамел дечу хенахь Со шуьца хир ву, Ас Ӏамор ду шуна аша дан дезарг.</verse>
				<verse number="16">Хьан метта АхӀарона нахаца къамел дийр ду. Иза хьуна хьалхара къамел деш хир ву, ткъа хьо цунна Делан метта хир ву.</verse>
				<verse number="17">И Ӏаса хьайн кара схьаэца, цуьнца тамашийна хӀуманаш гойтур ду ахь».</verse>
				<verse number="18">Шен стундена Итарна тӀе юха а веана, цуьнга элира Мусас: «Мисар-махкахь болчу сайн вежаршна тӀеваха лаьара суна, уьш дийна буй хьажа». «Дика ду, гӀой, хьажа. Аьтто хуьлда хьан», — элира Итара.</verse>
				<verse number="19">Муса маданхойн махкахь волуш, Везачу Эло цуьнга аьллера: «Мисар-махка юхаваха мегар ду хьуна ца кхоьруш, хӀунда аьлча хьо вен гӀерташ хилларш белла дӀабевлла».</verse>
				<verse number="20">Шен зуда а, кӀентий а вир тӀе а ховшийна, Мисара ваха новкъа велира Муса, Делан ницкъ болу шен Ӏаса буьйна а лаьцна.</verse>
				<verse number="21">Везачу Эло элира Мусага: «Хьо Мисар-махка юхавеача, Ас хьайга де аьлла долу тамашийна хӀуманаш пирӀунна хьалха делахь. Ткъа Ас цуьнан дог чӀагӀдийр ду, тӀаккха цо халкъ дӀахоьцур дац.</verse>
				<verse number="22">ДӀаала пирӀуне, Везачу Эло иштта боху алий: „Исраил Сан кӀант ву, Сан дуьххьарлера бер ду.</verse>
				<verse number="23">Ас боху хьоьга: ‘ДӀахеца Сан кӀант, иза Суна Ӏибадат дан дезаш ву. Ахь иза дӀа ца хецна дела, Ас хьан дуьххьарлера кӀант вуьйр ву’“».</verse>
				<verse number="24">Новкъахь дӀавоьдуш, Муса буьйса яккха сецира. Цунна тӀевеанчу Везачу Элана иза вен дагадеара.</verse>
				<verse number="25">ТӀаккха Ципарас, тӀулгах дина урс схьа а эцна, шен кӀант сунтвира. Схьахадийна чкъор Мусан когех а хьаькхна, цо элира: «Ас и цӀий Ӏанийна, цундела сан майра волу хьо соьца уьйр йолуш ву».</verse>
				<verse number="26">Веза Эла дӀавахара, Мусана хӀумма а ца деш. (Цу хенахь зудчо аьллера цунах «цӀийца волу майра», хӀунда аьлча шен кӀант сунтвинера цо.)</verse>
				<verse number="27">Везачу Эло АхӀароне элира: «Яьссачу ара Мусана дуьхьал гӀо». ДӀавахана, Делан лома уллохь Мусана дуьхьал а кхетта, цунна барт баьккхира АхӀарона.</verse>
				<verse number="28">Ша ваийтинчу Везачу Эло шега аьлларг а, гайтинчу тамашийначу хӀуманех лаьцна а АхӀароне дӀадийцира Мусас.</verse>
				<verse number="29">Мусас а, АхӀарона а, дӀа а вахана, исраилхойн къаной гулбира.</verse>
				<verse number="30">Везачу Эло Мусага аьлларг цу нахана дӀадийцира АхӀарона. Мусас халкъана хьалха тамашийна хӀуманаш гайтира.</verse>
				<verse number="31">Халкъ тийшира. Исраилхошна хиира, шайн баланаш а гина, Везачу Эло шайн гӀайгӀа бойла. Цунна хьалха гора а хӀиттина, суждана бахара уьш.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">Цул тӀаьхьа Мусас а, АхӀарона а, пирӀунна тӀе а веана, элира: «Везачу Эло, Исраилан Дала, боху: „ДӀахеца Сан халкъ яьссачу арахь Сан дуьхьа деза де хӀотто“».</verse>
				<verse number="2">Амма пирӀуно элира: «Мила ву И Веза Эла, ас, Цуьнга ла а доьгӀна, Исраилан халкъ дӀахеца? Суна Веза Эла а ца вевза, исраилхой ас дӀа а хоьцур бац».</verse>
				<verse number="3">Цу шиммо элира: «Ӏебархойн Дала тӀекхайкхира тхоьга. Оха доьху хьоьга кхаа дийнахь некъ баллал йолчу метте яьссачу ара тхаьш дӀадахийтар, тхайн Везачу Далла лерина сагӀа даккха, Цуьнга цамгарца я туьраца тхо хӀаллак ца дайта».</verse>
				<verse number="4">ПирӀуно элира цаьрга: «Муса, АхӀарон, халкъ шен балхах юхадоккху аша. ДӀа а гӀой, шайн гӀуллакх де».</verse>
				<verse number="5">Кхин а элира цо: «ХӀокху махкахь дуккха а нах бу, аша шайн болх бан ца буьту уьш».</verse>
				<verse number="6">Оццу дийнахь исраилхошна тӀехӀиттийна болчу нахе пирӀуно омра дира:</verse>
				<verse number="7">«ХӀинца чул тӀаьхьа кибарчигаш ечу нахана ча ма ло, хьалха деллехь а. Ара а бовлийтий, шайга лахийта цаьрга ча.</verse>
				<verse number="8">Хьалха санна кибарчигаш яйта цаьрга. Уьш дукха мало еш бу, цундела доьху соьга: „Дахана, тхайн Далла сагӀа доккхур дара оха“, — бохуш.</verse>
				<verse number="9">Алссам болх ло царна, эрна къамелаш схьа а ца лоьцуш, цаьрга болх байта».</verse>
				<verse number="10">ТӀехьовсуш болчу наха элира халкъе: «ПирӀуно шуна кибарчигаш ян ча ма ло боху.</verse>
				<verse number="11">Даха а гӀой, шайна карийнначуьра ча да. Кибарчигаш хьалха еччул йийр ю аша».</verse>
				<verse number="12">Берриг а Мисар-махкахула арахь дисина ча лаха арабевлира исраилхой.</verse>
				<verse number="13">ТӀехӀиттина болчара хьалха, ча долчу хенахь еччул, хӀора дийнахь кибарчигаш е бохура цаьрга.</verse>
				<verse number="14">ПирӀунан хьадалчаша исраилхошна юкъара хаьржинчу белхан куьйгалла дечу нахана еттара: «Хьалха йинччул, селхана а, тахана а кибарчигаш хӀунда ца йо аша?» — бохуш.</verse>
				<verse number="15">Оцу исраилхоша, пирӀунна тӀе а баьхкина, арз дира: «Хьайн лешна иштта ницкъ хӀунда бойту ахь?</verse>
				<verse number="16">Ча ца ло хьан лешна, ткъа кибарчигаш е боху. ТӀехӀиттина болчара тхуна етта, амма бехке хьан халкъ ду».</verse>
				<verse number="17">Амма пирӀуно элира: «Шуна болх бан ца лаьа, аш мало йо, цундела боху аша: „Везачу Элана сагӀа даккха гӀур ду тхо“.</verse>
				<verse number="18">ДӀа а гӀой, болх бе. Ча шуна лур дац, кибарчигаш хьалха еччул йийр ю аша».</verse>
				<verse number="19">«ХӀора дийнахь ян еззачул кибарчигаш йийр ю аша, церан дукхалла лах а ца деш», — бохучу дешнашца шайна тӀебеана бала гира исраилхошна.</verse>
				<verse number="20">ПирӀун волчуьра уьш арабевлча, шаьш схьадахкаре хьоьжуш волу Муса а, АхӀарон а гира царна.</verse>
				<verse number="21">Цу шинга цара элира: «Везачу Эло кхел йойла шуна аша пирӀунна а, цуьнан уллорачарна а хьалха тхан сий дайарна. Церан кара тур делла аша тхо дайийта».</verse>
				<verse number="22">Юха Везачу Эле Мусас элира: «Веза Эла! Сел халачу бале хӀара халкъ хӀунда теси Ахь? Со кхуза хӀунда ваийти?</verse>
				<verse number="23">ПирӀунна тӀе а вахана, ас Хьан цӀарах къамел дичхьана, цо кхин а чӀогӀа ницкъ бо кху халкъана. КӀелхьара-м муххане а ца даьккхи Ахь Хьайн халкъ».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="6">
				<verse number="1">ТӀаккха Везачу Эло Мусага элира: «ХӀинца гур ду хьуна Ас пирӀунна дендерг. Онда куьг шена тӀехь хааделча, цо дӀахоьцур ду Сан халкъ. Цо ша арабохур бу уьш шен махкара».</verse>
				<verse number="2">Юха Мусага Дала элира: «Со Веза Эла ву.</verse>
				<verse number="3">ИбрахӀимна а, Исхьакхана а, Якъубана а Со дуьхьалвеана „Нуьцкъала Дела“ цӀе а йолуш, ткъа „Веза Эла“ бохучу цӀарца Ас царна Со вовзийтина вац.</verse>
				<verse number="4">Ас барт бина цаьрца, КанаӀанан латта царна дӀалур ду аьлла. Цу лаьтта тӀехь Ӏаш бара уьш, амма иза церан долахь дацара.</verse>
				<verse number="5">Исраилхойн узарш хезира Суна, уьш, мисархойн леш а хилла, баланехь хилар гира, тӀаккха Сайн цаьрца хилла барт дагабеара Суна.</verse>
				<verse number="6">Ас боху ала Исраилан халкъе: „Со Веза Эла ву. Ас Сайн куьйга мисархойн олаллех кӀелхьардохур ду шу, церан леш долчуьра паргӀат а дохур ду, Сайн болчу ницкъаца царна луьра таӀзарш а деш.</verse>
				<verse number="7">Шун Дела а хилла, шух Сайн халкъ дийр ду Ас, тӀаккха шуна хуур ду Со Веза Эла, шун Дела вуйла, шу мисархойн Ӏазапах кӀелхьардаьхна волу.</verse>
				<verse number="8">Айса ИбрахӀимна а, Исхьакхана а, Якъубана а дӀалур ду аьлла, куьг а айина чӀагӀо йинчу лаьтта тӀе шу дӀадуьгур ду Ас, иза шуна тӀаьхьалонна дӀа а лур ду. Со Веза Эла ву“».</verse>
				<verse number="9">Мусас и дерриг а исраилхошна дӀадийцира, амма цара ла ца дуьйгӀира цуьнга шаьш, беза болх беш, доьналла доцуш хиларна.</verse>
				<verse number="10">ТӀаккха Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="11">«Мисаран паччахь волчу пирӀунна тӀе а гӀой, исраилхой шен махкара дӀабахийта ала цуьнга».</verse>
				<verse number="12">Амма Мусас жоп делира: «Исраилхошна а ца лаьа соьга ладогӀа, пирӀунна-м муххале а луур дац. Цу тӀе сан къамел говза а дац».</verse>
				<verse number="13">Мусаца а, АхӀаронца а къамел а дина, Везачу Эло царна тӀедиллира Исраилан халкъаца а, пирӀунца а къамел дар. Исраилхой Мисар-махкара арабахар цу шинна тӀедожийра Цо.</verse>
				<verse number="14">Мусан а, АхӀаронан а дайн тӀаьхьенаш хӀорш яра: Исраилан хьалхарчу кӀентан цӀе Раабан яра. Раабанан кӀентий бара Хьанах, Палу, Хьацрани, Карма. Царах Раабанах схьадевлла гаранаш хилира.</verse>
				<verse number="15">ШимӀин кӀентий бара Емуал, Ямин, АхӀад, Якин, ЦӀохьар, канаӀанхочо вина Шаул. Царах ШимӀех схьадевлла гаранаш хилира.</verse>
				<verse number="16">Леви бӀе ткъе вуьрхӀитта шарахь вехира. Цуьнан кӀентий бара ГӀиршан, КхахӀат, Мерари.</verse>
				<verse number="17">ГӀиршанан кӀентий бара Ливани а, ШамаӀи а.</verse>
				<verse number="18">КхахӀат бӀе ткъе кхойтта шарахь вехира. Цуьнан кӀентий бара Ӏамрам а, Ицхьар а, Хьеврон а, Ӏузиал а.</verse>
				<verse number="19">Мерарин кӀентий бара Махьли а, Мушхьи а. Уьш шайн тайпанашца йолу Левин тӀаьхьенаш яра.</verse>
				<verse number="20">Ӏамрам бӀе ткъе вуьрхӀитта шарахь вехира. Цо шен дейиша Йохабадат ялийра. Церан ши кӀант вара — АхӀарон а, Муса а.</verse>
				<verse number="21">Ицхьаран кӀентий бара Кхорахь а, Непаг а, Зикра а.</verse>
				<verse number="22">Ӏузиалан кӀентий бара Мишаал а, Элцапан а, Ситар а.</verse>
				<verse number="23">АхӀарона Ӏамминадабан йоӀ а, Нахьшонан йиша а йолу Элисат ялийра. Цо АхӀаронна вира Надаб а, АбихӀу а, ЭлиӀазар а, Итамар а.</verse>
				<verse number="24">Кхорахьан кӀентий бара Асар а, Элкхан а, Абуасап а. Царах Кхорахьах схьадевлла гаранаш хилира.</verse>
				<verse number="25">АхӀаронан кӀанта ЭлиӀазара Путиалан йоӀарех цхьаъ ялийра. Зудчо ЭлиӀазарна Пайнехьас вира. Левин тӀаьхьенаш яра уьш шайн гаранашца.</verse>
				<verse number="26">АхӀарон а, Муса а шайга Везачу Эло Мисар-махкара низам долуш йинчу тобанашкахь исраилхой арабаха аьлла шиъ вара.</verse>
				<verse number="27">Цара аьллера Мисаран паччахье, пирӀуне, исраилхой Мисар-махкара дӀабахийта аьлла. И шиъ вара Муса а, АхӀарон а.</verse>
				<verse number="28">Цу хенахь Везачу Эло Мусаца Мисар-махкахь къамел дира.</verse>
				<verse number="29">Везачу Эло цуьнга элира: «Со Веза Эла ву! Мисаран паччахье, пирӀуне, Ас хьайга аьлларг дерриг а дӀаала».</verse>
				<verse number="30">Амма Мусас жоп делира: «Сан къамел говза дац, соьга ладугӀур дуй те пирӀуно?»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="7">
				<verse number="1">Амма Везачу Эло Мусага элира: «Ас хьо пирӀунна тӀехь Дела хӀоттийна, ткъа хьан ваша АхӀарон хьан туркх хир ву.</verse>
				<verse number="2">Ас хьайна тӀедиллинарг дерриг а дӀаэр ду ахь. Ткъа хьан вашас АхӀарона пирӀуне эр ду, цуьнга исраилхой шен махкара дӀахеца аьлла.</verse>
				<verse number="3">Амма пирӀунан дог а чӀагӀдина, Мисар-махкахь дуккха а Сайн билгалонаш а, тамашийна хӀуманаш а гойтур ду Ас.</verse>
				<verse number="4">Ткъа пирӀуно шуьга ладугӀур дац, тӀаккха луьра таӀзарш а деш, Сайн куьйга охьатаӀор ю Ас Мисар. Сайн бӀо, Сайн халкъ, Исраилан кӀентий, Мисар-махкара арабохур бу Ас.</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха хуур ду мисархошна Со Веза Эла вуйла. Сайн ницкъ Мисарна тӀе а берзийна, мисархошна юкъара Исраилан кӀентий арабохур бу Ас».</verse>
				<verse number="6">Везачу Эло шайна тӀе-ма-диллара, гӀуллакх кхочушдира Мусас а, АхӀарона а.</verse>
				<verse number="7">Мусан дезткъа шо дара, ткъа АхӀаронан дезткъе кхоъ шо дара цу хенахь.</verse>
				<verse number="8">Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира:</verse>
				<verse number="9">«Нагахь пирӀуно тамашийна хӀума гайта алахь, ахь АхӀароне ала: „Хьайн Ӏаса схьа а эций, пирӀунна хьалха охьакхосса“. Ӏасанах лаьхьа хир бу».</verse>
				<verse number="10">ПирӀун волчу а веана, Везачу Эло ма-бохху дира Мусас а, АхӀарона а. АхӀарона шен Ӏаса пирӀунна а, цуьнан уллорачарна а хьалха охьакхоьссира — Ӏасанах лаьхьа хилира.</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха пирӀуно шен хьекъал долу нах а, бозбунчаш а схьакхайкхира. Цара, жиналла а лелийна, АхӀарона диннарг дира.</verse>
				<verse number="12">Царах хӀорамма а шен Ӏаса охьакхоьссича, царах лаьхьарчий хилира. Амма АхӀаронан Ӏасано дӀакхаьллира церан Ӏасанаш.</verse>
				<verse number="13">ПирӀунан дог чӀагӀделира. Везачу Эло ма-аллара, цо ла ца дуьйгӀира Мусага а, АхӀароне а.</verse>
				<verse number="14">ТӀаккха Везачу Эло Мусага элира: «ПирӀун ша бохучунна тӀехь лаьтташ ву, ца лаьа цунна халкъ дӀахеца.</verse>
				<verse number="15">Кхана пирӀун волчу гӀо. Иза Нил-хин берда йисте веача, цунна дуьхьал дӀахӀотта, шех лаьхьа хилла Ӏаса хьайн буйна а лаций.</verse>
				<verse number="16">Ахь цуьнга ала: „Везачу Эло, Ӏебархойн Дала, ваийтина со хьоьга дӀаала: ‘ДӀахеца Сан халкъ яьссачу арахь Суна Ӏибадат дайта. ХӀинццалц ахь ла ца доьгӀна Цуьнга.</verse>
				<verse number="17">Везачу Эло боху, хӀинца хуур ду хьуна Ша Веза Эла вуйла. Ас сайн карара хӀара Ӏаса Нил-хи тӀе тухур ю, цу хих тӀаккха цӀий хир ду.</verse>
				<verse number="18">Хи чуьра чӀара а лийр бу, хих боьха хьожа а йогӀур ю. Мисархошна дегаза хетар ду и хи мала’“».</verse>
				<verse number="19">Везачу Эло Мусага элира: «ДӀаала АхӀароне, шен Ӏаса карахь йолу куьг дерриг а хиш тӀехула а, Ӏаьмнашна а, шена чохь хи долчу меттигашна а тӀехула лаца алий. Хих цӀий хир ду. Берриг а Мисар-махкахь ур-атталла дечиган а, тӀулган а пхьегӀаш чохь хина метта цӀий хир ду».</verse>
				<verse number="20">Везачу Эло тӀе-ма-диллара, гӀуллакх кхочушдира Мусас а, АхӀарона а. Шен Ӏаса хьала а айина, пирӀунан а, цуьнан уллорачеран а бӀаьргашна хьалха Нил-хи тӀе туьйхира АхӀарона. Дерриг а хих цӀий хилира.</verse>
				<verse number="21">Хи чуьра чӀерий а делира, хи а телхира. Мисархошка иза мала ца лора. Берриг а Мисар-махкахь хинан метта цӀий дара.</verse>
				<verse number="22">Мисарара бозбунчаша, шайн жиналла а лелийна, кху шиммо диннарг дира. ТӀаккха пирӀунан дог чӀагӀделира, Везачу Эло ма-аллара, Мусага а, АхӀароне а ла ца дуьйгӀира цо.</verse>
				<verse number="23">Шена гиначух шек а ца велира пирӀун. Юха а вирзина, шен цӀа вахара иза.</verse>
				<verse number="24">Шайна мала хи даккха Нил-хина юххехь гӀунаш яха хӀиттира мисархой, хӀунда аьлча важа хи малалуш дацара.</verse>
				<verse number="25">ВорхӀ де дӀаделира Везачу Эло Нил-хина таӀзар диначул тӀаьхьа.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="8">
				<verse number="1">Юха Везачу Эло Мусага элира: «Ваха а гӀой, пирӀуне Везачу Эло боху ала: „ДӀахеца Сан халкъ, цуьнга Суна Ӏибадат дайта.</verse>
				<verse number="2">Нагахь хьо иза дӀахеца реза ца хилахь, Ас хьан мохк пхьидех хьалабузур бу.</verse>
				<verse number="3">Хи пхьидех сийсаш хир ду, уьш хьан цӀа чу а, хьо дӀавуьжучу метта а, хьан уллорачеран а, хьан халкъан а цӀенош чу евр ю, хьан пешаш чу а, текхаш чу а евр ю.</verse>
				<verse number="4">Хьуна а, хьан халкъана а, массо а хьан уллорачарна а тӀехула лелар ю пхьидарчий“».</verse>
				<verse number="5">Везачу Эло Мусага кхин а элира: «АхӀароне дӀаала, шен Ӏаса карахь йолу куьг хишна а, татолашна а, Ӏаьмнашна а тӀехула лаца алий. ТӀаккха берриг а Мисар-мохк пхьидех хьалабузур бу».</verse>
				<verse number="6">АхӀарона шен куьг Мисаран хиш тӀехула лецира. Пхьидаша, хьала а евлла, берриг а Мисар-мохк дӀалецира.</verse>
				<verse number="7">Амма бозбунчаша а, шайн жиналла а лелийна, изза дира. Цара а пхьидарчий Мисар-мехкан лаьтта тӀе ехира.</verse>
				<verse number="8">ПирӀуно, Мусага а, АхӀароне а тӀе а кхайкхина, элира: «Везачу Эле доӀа де, со а, сан халкъ а долчуьра пхьидарчий дӀаяха алий. ТӀаккха ас Исраилан халкъ дӀахоьцур ду, Везачу Элана сагӀа даккхийтархьама».</verse>
				<verse number="9">Мусас элира пирӀуне: «Айхьа хан тоха суна, маца лаьа хьуна ас хьох а, хьан уллорачарах а, халкъах а доӀа дан, пхьидарчий шун цӀенош чуьра дӀа а евлла, Нил-хи чохь бен ца йисийта?»</verse>
				<verse number="10">ПирӀуно элира: «Кхана». ТӀаккха Мусас элира: «Ахь ма-аллара хир ду, тхан Веза Дела саннарг цхьа а воцийла хьуна хаийта.</verse>
				<verse number="11">Хьо волчуьра а, хьан цӀеношкара а, хьан уллоранаш а, халкъ а долчуьра а пхьидарчий дӀаевр ю. Уьш Нил-хи чохь бен юьсур яц».</verse>
				<verse number="12">Муса а, АхӀарон а пирӀун волчуьра дӀавахара. Мусас Везачу Эле доӀа дира, пхьидарчий дӀаяха аьлла.</verse>
				<verse number="13">Везачу Эло жоп делира цуьнан доӀанна. Пхьидарчий цӀенош чохь а, уьйтӀенашкахь а, арахь а елла Ӏохкура.</verse>
				<verse number="14">Уьш оьланашка гулйира наха. Яхкалуш йолчу церан хьожано дӀалецира берриг а мохк.</verse>
				<verse number="15">ПаргӀато яьллийла а гина, шен дог чӀагӀдира пирӀуно. Везачу Эло ма-аллара, ла ца дуьйгӀира цо Мусага а, АхӀароне а.</verse>
				<verse number="16">Юха Везачу Эло Мусага элира: «АхӀароне ала, шен Ӏаса лаьттах тоха алий. Лаьттан ченах берриг а Мисар-мохк дӀалаьцна кегийра чуьркаш хир ю».</verse>
				<verse number="17">Иштта дан а дира цара. АхӀарона шен Ӏаса лаьттах туьйхира — адамашна а, даьхнина а тӀехь кегийра чуьркаш гучуевлира. Берриг а Мисар-махкахь лаьттан ченах кегийра чуьркаш хилира.</verse>
				<verse number="18">Бозбунчаш а гӀоьртира шайн ницкъаца ченах кегийра чуьркаш ян, амма церан гӀуллакх ца хилира. Кегийра чуьркаш адамашна а, даьхнина а тӀехь яра.</verse>
				<verse number="19">ТӀаккха бозбунчаша пирӀуне элира: «Иза Делан ницкъаца ду», — аьлла. Амма дог чӀагӀделла Ӏачу пирӀуно цаьрга ла ца дуьйгӀира, Везачу Эло ма-аллара.</verse>
				<verse number="20">Юха Везачу Эло Мусага элира: «Кхана, хьалххе хьала а гӀаттий, пирӀунна хьалха хӀотта. Иза хин йисте гӀур ву. Ахь цуьнга ала: „Везачу Эло боху: ‘Суна Ӏибадат дайта Сан халкъ дӀахеца.</verse>
				<verse number="21">Нагахь ахь Сан халкъ дӀа ца хецахь, Ас хьуна а, хьан уллорачарна а, хьан халкъана тӀе а, хьан цӀенош чу а жӀаьлийн мозий хоьцур ду. Мисархойн цӀенош а, уьш тӀехь Ӏаш болу латта а жӀаьлийн мозех дузур ду.</verse>
				<verse number="22">Сан халкъ тӀехь Ӏаш долу ГӀашан-мохк дӀакъастор бу Ас, цигахь жӀаьлийн мозий хир дац. ТӀаккха хьуна хуур ду, Со, Веза Эла, кху махкахь вуйла.</verse>
				<verse number="23">Ас Сайн а, хьан а халкъашна юкъахь башхо йийр ю. Кхана и тамашийна билгало кхочуш хир ю’“».</verse>
				<verse number="24">Везачу Эло иштта дан а дира. ПирӀунан а, цуьнан уллорачеран а цӀеношка жӀаьлийн мозий даьхкира. Цу мозаша хӀаллакбеш бара берриг а мохк.</verse>
				<verse number="25">Мусай, АхӀаронний тӀе а кхайкхина, пирӀуно элира: «Даха а гӀой, кху лаьтта тӀехь шайн Далла сагӀа даккха».</verse>
				<verse number="26">Амма Мусас жоп делира: «Иза далур дац, мисархошна дегаза хета оха тхайн Везачу Далла сагӀа даккхар. Нагахь шайна дегаза долу сагӀа церан бӀаьргаш хьалха оха даьккхича, тхуна тӀулгаш деттар дац цара?</verse>
				<verse number="27">Кхаа денна яьссачу ара дӀа а дахана, тхайн Везачу Далла сагӀа доккхур ду оха, Цо ма-аллара».</verse>
				<verse number="28">ПирӀуно элира: «Ас дохуьйтур ду шу шайн Везачу Далла яьссачу арахь сагӀа даккха, амма гена дӀа ма гӀо. Сох лаций доӀа а де».</verse>
				<verse number="29">Мусас элира: «Хьо волчуьра дӀа а вахана, Везачу Эле доӀа дийр ду ас, тӀаккха кхана пирӀун волчуьра а, цуьнан уллоранаш а, халкъ а долчуьра а жӀаьлийн мозий дӀадевр ду. Амма ахьа а Исраилан халкъ ледан ца деза, Везачу Элана сагӀа даккха иза доьдуш, юха а новкъарло а йина».</verse>
				<verse number="30">ПирӀун волчуьра дӀа а вахана, Везачу Эле доӀа дира Мусас.</verse>
				<verse number="31">Мусан доӀанна жоп делира Везачу Эло. ПирӀун а, цуьнан уллоранаш а, халкъ а долчуьра мозий дӀадехира Цо, цхьа а ца буьтуш.</verse>
				<verse number="32">Амма юха а шен дог а чӀагӀдина, халкъ дӀа ца хийцира пирӀуно.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="9">
				<verse number="1">Везачу Эло Мусага элира: «ПирӀун волчу а гӀой, дӀаала цуьнга: „Везачу Эло, Ӏебархойн Дала, иштта боху хьоьга: ‘ДӀахеца Сан халкъ цуьнга Суна Ӏибадат дайта’.</verse>
				<verse number="2">Нагахь санна дӀахеца ца лууш, ахь иза кхин а сецадахь,</verse>
				<verse number="3">Везачу Эло шен таӀзар хьан арахь лаьттачу даьхнина тӀе дерзор ду. Хьан говрашна, варрашна, эмкалшна, стерчашна, уьстагӀашна, гезаршна тӀе даьӀнаш долу луьра ун кхетар ду.</verse>
				<verse number="4">Везачу Эло исраилхойн а, мисархойн а даьхни доькъур ду. Исраилан халкъан даьхнина юкъара цхьа а хьайба лийр дац“».</verse>
				<verse number="5">Юха хан билгалъяьккхира Везачу Эло: «Кхана Ас дийр ду иза кху лаьтта тӀехь».</verse>
				<verse number="6">ШолгӀачу дийнахь Ша аьлларг кхочушдира Везачу Эло. Мисархойн дерриг а бежанаш делира, ткъа исраилхойн цхьана а хьайбанна хӀумма а ца хилира.</verse>
				<verse number="7">ПирӀуно хьовса бахийтира, исраилхошна зен хиллий, амма церан цхьа а хьайба ца деллера. Юха а дог а чӀагӀдина, халкъ дӀа ца хийцира пирӀуно.</verse>
				<verse number="8">Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: «Канашкахь пешара юкъ схьа а эций, Мусага ирхкхоссийта иза, пирӀунна а гуш.</verse>
				<verse number="9">Берриг а Мисар-махкахь цу овкъарх чан а гӀаьттина, адамашна а, даьхнина а, ноткъа а еш, чевнаш хир ю».</verse>
				<verse number="10">Пешара юкъ а эцна, пирӀунна хьалха хӀоьттира Муса а, АхӀарон а. Мусас юкъ ирхкхоьссича, адамашна а, даьхнина а тӀехь чевнаш хӀиттира, ноткъа а йолуш.</verse>
				<verse number="11">Бозбунчаш Мусана дуьхьал ца бовла белира, хӀунда аьлча уьш а, массо а мисархо санна, тӀехь чевнаш йолуш бара.</verse>
				<verse number="12">Амма Везачу Эло чӀагӀдинера пирӀунан дог, цо ла ца дуьйгӀира вежаршка, Везачу Эло Мусага ма-аллара.</verse>
				<verse number="13">Юха Везачу Эло Мусага элира: «Кхана хьалххе хьала а гӀаттий, пирӀунна тӀе а гӀой, дӀаала цуьнга: „Везачу Эло, Ӏебархойн Дала, боху: ‘ДӀахеца Сан халкъ цуьнга Суна Ӏибадат дайта.</verse>
				<verse number="14">ХӀинца Ас Сайн дерриг а таӀзарш дохкуьйтур ду хьуна а, хьан уллорачарна а, халкъана а тӀе, Соьга кхочуш дуьнен тӀехь цхьа а воцийла хьуна хаийта.</verse>
				<verse number="15">Сан куьг шуна тӀехула айина ду, хьо а, хьан халкъ а лаьтта тӀера дӀадаккхал цамгар яийта ницкъ бу Соьгахь.</verse>
				<verse number="16">Ас Сайн ницкъ гайта витина хьо, дуьнен тӀехь массо а адамна Сайн цӀе йовзийта.</verse>
				<verse number="17">Амма хьо хӀинца а Сан халкъана дуьхьало еш ву, иза дӀа ца хоьцуш.</verse>
				<verse number="18">Цундела Ас кхана, хӀоккху хенахь, Мисара кхоьллинчхьана а ца хилла йолу къора тухур ю.</verse>
				<verse number="19">Хьайн даьхни а, арахь дерг дерриг а къайладаккха. Арахь дисинчу адамашна а, даьхнина а тӀе къора а кхетта, уьш хӀаллакьхир ду’“».</verse>
				<verse number="20">Везачу Элан дешнех кхерабеллачу пирӀунан цхьаболчу уллорачара сихонца шайн леш а, даьхни а цӀеношкахь дӀагулдира.</verse>
				<verse number="21">Ткъа Везачу Элан дешнаш дагаца тӀе ца лаьцначара шайн леш а, даьхни а арахь дитинера.</verse>
				<verse number="22">Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн куьг стигала хьалакховдаде, адамашна а, даьхнина а, арарчу бацана а, берриг а Мисар-махкана а тӀе къора кхетар ю».</verse>
				<verse number="23">Мусас шен Ӏаса стигала хьалахьажийра. Везачу Эло, стигал а къовкъийна, къора туьйхира. Лаьттах детталуш стелахаьштигаш дара, серладуьйлуш. Берриг а Мисар-махкана тӀе къора туьйхира Везачу Эло.</verse>
				<verse number="24">Къора яра схьайогӀуш, цунна юккъехула лепаш стелахаьштигаш а дара. Мисар-махка тӀе адам даха хиъначхьана ца хилла йолу чӀогӀа къора яра иза.</verse>
				<verse number="25">Арахь дерг адамна тӀера даьхнина тӀе кхаччалц хӀаллакдира къорано, буц а дӀаяьккхира, дитташ а кегдира.</verse>
				<verse number="26">Амма исраилхой Ӏаш болчохь, ГӀашанахь, къора ца туьйхира.</verse>
				<verse number="27">Мусага а, АхӀароне а схьа а кхайкхина, пирӀуно элира: «ХӀинца ас къа латийна. Веза Эла бакъ ву, ткъа со а, сан халкъ а бехке ду.</verse>
				<verse number="28">ДоӀа де Везачу Эле, къора а, стигал къекъор а сацаде алий. Ас дӀадохуьйтур ду шу, кхин сеца ца деш».</verse>
				<verse number="29">Мусас цуьнга элира: «Ас, гӀалех ара а ваьлла, Везачу Эле куьйгаш а айина, доӀа ма-диннехь, стигал а къекъар яц, къора а соцур ю. ТӀаккха хуур ду хьуна латта Везачу Элан дуйла.</verse>
				<verse number="30">Амма суна хаьа, хьо а, хьан уллоранаш а хӀинца а Делах, Везачу Элах, ца кхоьрийла».</verse>
				<verse number="31">Вета а, мукх а хӀаллакдинера, хӀунда аьлча мекхо кан хецнера, ткъа ветано хӀу теснера.</verse>
				<verse number="32">ТӀаьхьа кхуьуш долу дела, кӀена хӀумма а ца хиллера.</verse>
				<verse number="33">ПирӀун волчуьра ара а ваьлла, Везачу Эле куьйгаш кховдийра Мусас. Стигал къекъар а, къора а сецира, лаьтта тӀе оьху догӀа а дӀатийра.</verse>
				<verse number="34">ДогӀа а, къора а, стигалан къекъар а сецна а гина, хьалха санна, харцо йира пирӀуно. Иза а, цуьнан уллоранаш а юха а дуьхьалбевлира.</verse>
				<verse number="35">Дог а чӀагӀдина, исраилхой дӀа ца хийцира пирӀуно, Везачу Эло Мусагахула ма-аллара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="10">
				<verse number="1">Везачу Эло Мусага элира: «ПирӀун волчу гӀо. Цуьнан а, цуьнан уллорачеран а дегнаш чӀагӀдина Ас, Сайн тамашийна билгалонаш царна гайтархьама.</verse>
				<verse number="2">Хьоьга хьайн тӀаьхьене а, тӀаьхьенийн тӀаьхьене а дийцийта лаьа Суна Мисарахь Ас диначух а, гайтинчу билгалонех а лаьцна, шуна Веза Эла Со вуйла хаийта».</verse>
				<verse number="3">Мусас а, АхӀарона а, пирӀунна тӀе а веана, элира: «Везачу Эло, Ӏебархойн Дала, боху: „Хьо дукха Ӏан воллий Суна къар ца луш? ДӀахеца Сан халкъ Суна Ӏибадат дайта.</verse>
				<verse number="4">Нагахь ахь Сан халкъ дӀа ца дахийтахь, кхана Ас хьан махка тӀе цӀоз хоьцур ду.</verse>
				<verse number="5">Цо дерриг а латта къайладоккхур ду. Къора тоьхча шун диснарг а, цул тӀаьхьа арарчу дитташ тӀе хьаладаьлларг а дӀадуур ду цо.</verse>
				<verse number="6">Хьан цӀенош а, хьан уллорачеран а, массо а мисархочун цӀенош а хьаладузур ду цӀазо. И саннарг гина дац хьан дайшна а, дайн дайшна а шаьш кху лаьтта тӀехь Ӏаш мел бу“». Юха а вирзина, пирӀун волчуьра аравелира Муса.</verse>
				<verse number="7">ТӀаккха цунна уллорачара элира пирӀуне: «И халкъ бахьана долуш кхин мел бала хьега деза вай? ДӀахецахьа уьш шайн Везачу Далла Ӏибадат дан. Хьуна ца го, берриг а Мисар-мохк хӀаллакьхуьлуш хилар?»</verse>
				<verse number="8">ПирӀуно Муса а, АхӀарон а схьакхайкхира. Цо цаьрга элира: «Даха а гӀой, шайн Везачу Далла Ӏибадат де. Мила гӀур ву шух цига?»</verse>
				<verse number="9">«Берриш а гӀур бу, — жоп делира Мусас, — жима а, воккха а. Тхайн кӀентий а, йоӀарий а, тхайн кегий а, даккхий а даьхни а эцна гӀур ду тхо, хӀунда аьлча Везачу Элана лерина деза де ду тхан».</verse>
				<verse number="10">ПирӀуно элира: «Шун бераш шуьца дӀадахийта со резавелахь, Волуш Волу Дела билггала шуьца хир ву! Гой шуна, вон хӀума ду шуна дагахь.</verse>
				<verse number="11">Цундела берриш а ас бохуьйтур бац. Божарша, баха а гӀой, Везачу Элана гӀуллакх де, шаьш соьга иза ма-деххара». Цул тӀаьхьа Мусай, АхӀаронний пирӀун волчуьра араваьккхира.</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн куьг Мисар-махкана тӀехула дӀалаца, кху махка тӀе цӀоз а летта, арара буц а, къора тоьхча диснарг дерриг а дӀадуийла цо».</verse>
				<verse number="13">Мусас шен Ӏаса Мисар-махкана тӀехула дӀалецира. Везачу Эло кху лаьтта тӀе баийтира малхбалера мох, иза цу дийнахь, буса а хьийкхира. Ӏуьйре тӀееача, малхбалерчу мохо цӀоз деара.</verse>
				<verse number="14">Инзаре дукха цӀоз тӀелетира берриг а Мисар-махкана. Хьалха а ца хиллера Мисарахь сел дукха цӀоз я тӀаьхьа а хир дац.</verse>
				<verse number="15">Цо, къайла а доккхуш, дерриг а латта дӀалаьцнера. Къора тоьхча дисина долу лаьттара дерриг ялта а, дитташ тӀера стоьмаш а дӀабиира цӀазо. Берриг а Мисар-махкахь я дитташ тӀехь а, я арарчу баца тӀехь а соьналлех хӀума ца дисира.</verse>
				<verse number="16">Мусай, АхӀаронний сихонца тӀе а кхайкхина, пирӀуно элира: «Шун Везачу Далла а, шуна а хьалха къа латийна ас.</verse>
				<verse number="17">Кхин цкъа а гечдейша суна. Шайн Везачу Деле доӀа дейша, со хӀокху Ӏожаллех кӀелхьарваккха алий».</verse>
				<verse number="18">ПирӀун волчуьра ара а ваьлла, Везачу Эле доӀа дира Мусас.</verse>
				<verse number="19">Малхбузехьара дуьхьал чӀогӀа мох хьакхийтира Везачу Эло. Цу мохо дадийна цӀоз Эрзан хӀорда чу кхоьссира. Берриг а Мисар-махкахь цхьа а цӀоз а ца дисира.</verse>
				<verse number="20">Амма Везачу Эло дог чӀагӀдина волчу пирӀуно Исраилан халкъ юха а дӀа ца дахийтира.</verse>
				<verse number="21">Юха Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн куьг стигала кховдаде, тӀаккха берриг а Мисар-махкахь буькъа бода хӀуттур бу».</verse>
				<verse number="22">Мусас шен куьг стигала кховдийча, Мисарахь кхаа дийнахь буькъа бода хӀоьттира.</verse>
				<verse number="23">Вовшийн ган а ца гуш, шаьш Ӏачуьра хьала а ца гӀовттуш кхо де даьккхира наха, ткъа исраилхойн цӀенош долчохь серло яра.</verse>
				<verse number="24">Мусага тӀе а кхайкхина, пирӀуно элира: «Даха а гӀой, Везачу Элана Ӏибадат де. Шайн бераш а дига шайца, амма кегий а, даккхий а даьхни ца дуьгуш, бухахь дита».</verse>
				<verse number="25">Амма Мусас элира: «Ахь-айхьа яла еза тхуна бакъо тхайн Везачу Далла сагӀа даккха.</verse>
				<verse number="26">Оха тхайн дерриг а тхешан даьхни дӀадуьгур ду, цхьа берг буха а ца юьтуш, хӀунда аьлча цу юккъера ду оха тхешан Везачу Далла даккха дезаш долу сагӀа. Тхаьш цига дӀакхаччалц тхуна ца хаьа, Везачу Элана сагӀина хӀун хьайба ден деза».</verse>
				<verse number="27">Везачу Эло дог чӀагӀдинчу пирӀунна уьш дӀахеца ца лиира.</verse>
				<verse number="28">ТӀаккха пирӀуно Мусага элира: «Яхийта кхузара! Ларлолахь, кхин суна дуьхьал ма воьллахь. Сан юьхь гинчу дийнахь лийр ву хьо».</verse>
				<verse number="29">Мусас жоп делира: «Ахь ма-аллара хир ду, кхин хьан юьхь гур яц суна».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="11">
				<verse number="1">Везачу Эло Мусага элира: «Кхин цхьа бохам а хуьлуьйтур бу Ас пирӀунна а, мисархошна а. Цул тӀаьхьа цо шу дӀахоьцур ду. Цу хенахь цо шу дерриш Мисар-махкара сихонца дӀалохкур ду.</verse>
				<verse number="2">Амма и хилале, ахь дӀаала исраилхошка, массо а божарша а, зударша а шайн уллорачаьрга, шайн лулахошка дато а, дашо а хӀуманаш еха еза».</verse>
				<verse number="3">Везачу Эло мисархой Шен халкъана реза бира. Ткъа Муса пирӀунан уллорачара а, мисархоша а шайн махкахь чӀогӀа лоруш вара.</verse>
				<verse number="4">Мусас пирӀуне элира: «Везачу Эло боху: „Буьйса юккъе яхача, Со Мисарахула чекхвер ву.</verse>
				<verse number="5">Мисар-махкахь хӀорра а дуьххьарлера кӀант лийр ву, паччахьан гӀанта тӀехь Ӏаш волчу пирӀунан кӀантана тӀера кӀа оруш йолчу гӀарбашан кӀантана тӀекхаччалц. Даьхних а хьалха дуьнен тӀе даьлла боьрша хьайба лийр ду.</verse>
				<verse number="6">Цкъа а хьалха хилла а доцу я тӀаьхьа хин а доцу белхар хир ду берриг а Мисар-махкахь.</verse>
				<verse number="7">Исраилхойх цхьанна а хӀумма а хир дац, царна жӀаьла а летар дац. Я стагана а, я хьайбанна а хӀума хир дац царна. ТӀаккха шуна хуур ду, Везачу Эло хӀун башхо йо мисархошна а, исраилхошна а юкъахь“.</verse>
				<verse number="8">ТӀаккха хьан берриш а леш, тӀе а баьхкина, суна хьалха охьатаьӀар бу. Цара эр ду: „Хьайн халкъ а эций, дӀагӀо“. Цул тӀаьхьа со дӀагӀур ву». ПирӀун волчуьра, чӀогӀа оьгӀаз а вахана, аравелира Муса.</verse>
				<verse number="9">Везачу Эло Мусага аьллера: «ПирӀуно шуьга ладугӀур дац, Мисар-махкахь Сан тамашийна билгалонаш алсамйовлийтархьама».</verse>
				<verse number="10">И ерриг а тамашийна билгалонаш пирӀунна хьалха гайтира Мусас а, АхӀарона а, амма, Везачу Эло дог а чӀагӀдина, пирӀуно шен махкара дӀа ца бахийтира исраилхой.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="12">
				<verse number="1">Мисар-махкахь Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира:</verse>
				<verse number="2">«ХӀара бутт шеран дуьххьарлера бутт хир бу шун.</verse>
				<verse number="3">ДӀаала берриг а исраилхошка: хӀокху беттан уьтталгӀачу дийнахь хӀораммо а цхьацца Ӏахар я буьхьиг эца шен доьзална.</verse>
				<verse number="4">Нагахь санна Ӏахар баа ца баллал доьзал жима белахь, шена уллорачу лулахочуьнца юкъахь схьаэца и Ӏахар. Шайн доьзалхошка хьаьжжина, цхьа Ӏахар массарна а кхаччал декъало.</verse>
				<verse number="5">Ӏахар боьрша а, цхьа а сакхт доцуш а, цхьа шо кхаьчна а хила беза. Ӏахар я буьхьиг а мегар ю.</verse>
				<verse number="6">Кху беттан дейтталгӀа де тӀекхаччалц иза Ӏалашбан беза. Цу дийнахь, суьйренан бода тӀебеача, массо а доьзалехь кечбина болу Ӏахар бен беза.</verse>
				<verse number="7">И Ӏахар буун болчу цӀеношкахь неӀаран гуран шинне агӀор а, неӀаран дукъо тӀе а Ӏахаран цӀий хьакха.</verse>
				<verse number="8">Цу буссехь цӀера тӀехь деттина Ӏахаран жижиг дӀадаа деза аш. Иза къаьхьачу бецашца а, совсазчу баьпкаца а даа деза.</verse>
				<verse number="9">Цунах датта далаза диснарг а ма даа, я кхехкийнарг а ма даа. Корта а, когаш а, чоко а дӀа а ца йоккхуш, цӀера тӀехь даттий, дӀадаа иза.</verse>
				<verse number="10">Ӏуьйре хилале цунах хӀумма а ма дита, амма дуьсуш хилахь, сахилале цӀера тӀехь дагаде диснарг.</verse>
				<verse number="11">И кхача буучу хенахь шу тӀе хӀума юьйхина хила деза, юкъ а йихкина, когахь мачаш а йолуш. ХӀума сихонца яа еза аш. Некъан Ӏаса карахь хила еза шун. Иза Везачу Элан Пасахь ду.</verse>
				<verse number="12">Цу буса Мисарахула чекхвер ву Со. Доьзалехь хьалха дуьнен чу даьлларг дуьйр ду Ас, адамна тӀера хьайбанна тӀекхаччалц. Мисархойн массо а деланашна тӀехь кхел йийр ю Ас. Со Веза Эла ву.</verse>
				<verse number="13">Шун цӀенош тӀехь долу цӀий Суна билгало хир ю. ЦӀий гича, Со шуна уллохула тӀехвер ву. Ас Мисар-махкана таӀзар дечу хенахь, шуна цхьа а зулам хир дац.</verse>
				<verse number="14">Цундела таханлера де гуттар а дагахь латтаде, цу дийнахь аша дагадоуьйтур ду Ас шайна динарг. И де даздарца шун тӀаьхьенаша гуттар а йолчу хенахь Веза Эла лорур ву».</verse>
				<verse number="15">«ВорхӀ дийнахь совсаза бепиг даа. Дуьххьарлерчу дийнахь шайн цӀенош чуьра бод совсо хӀума дӀаяккха, хӀунда аьлча цу деношкахь совсийна хӀума йиънарг исраилхошна юкъара дӀаваккха веза.</verse>
				<verse number="16">Хьалхарчу а, ворхӀалгӀачу а дийнахь беза гулам дӀахӀотто беза аша. Цу деношкахь цхьа а тайпа болх бан мегар дац, яа хӀума кечъяр бен.</verse>
				<verse number="17">Совсазчу баьпкан дезде дагахьлатто деза аша, хӀунда аьлча цу дийнахь шун тобанаш Мисар-махкара араяьхна Ас. И де шун тӀаьхьенаша а латто деза дагахь, гуттар а йолчу ханна тӀедиллина долу дела.</verse>
				<verse number="18">Хьалхарчу беттан дейтталгӀачу дийнан сарахь дуьйна ткъе цхьалгӀачу дийнан сарралц совсаза бепиг дуур ду аш.</verse>
				<verse number="19">ВорхӀ дийнахь шун чохь бод совсо хӀума хила мегар дац. Совсийначу бедах хӀума йиънарг исраилхошна юкъара эккхо веза, тӀевеана стаг велахь а, я шун махкара вахархо велахь а.</verse>
				<verse number="20">Цхьа а тайпа совсийна хӀума ма яа. Миччанхьа шаьш делахь а, совсаза бепиг даа».</verse>
				<verse number="21">Исраилхошна юкъара къаной схьа а кхайкхина, Мусас элира: «Шайн доьзалшкахь хӀораммо а, схьаэций, Ӏахар я буьхьиг е Пасахьана лерина.</verse>
				<verse number="22">ТӀаккха цуьнан цӀий чохь долчу кеда чу кӀедачу ярийн курс а Ӏоттий, шайн неӀаран гурах а, дукъонах а хьакха. Сахиллалц цхьа а шайн чуьра ара а ма вала.</verse>
				<verse number="23">Мисарна таӀзар дан Веза Эла веача, Цунна шун неӀарийн гурах а, дукъойх а хьаькхна цӀий гур ду. Иза шун цӀеношна уллохула тӀехвер ву, Ӏожаллин малике Цо шу дойуьйтур дац.</verse>
				<verse number="24">И парзаш шуна а, шун тӀаьхьенашна а тӀейогӀу йолчу ханна тӀедехкина ду. Ларделаш уьш.</verse>
				<verse number="25">Везачу Эло шайна лур ду аьллачу лаьтта тӀе шаьш даьхкича, цигахь а кхочушделаш и гӀуллакх.</verse>
				<verse number="26">Шайн бераша хаттахь: „Иза хӀунда деш ду?“ — аьлла,</verse>
				<verse number="27">аша эр ду: „Иза Везачу Элана лерина Пасахьан сагӀа ду. Мисар-махкахь вай долчу хенахь исраилхойн цӀеношна уллохула тӀех а ваьлла, мисархошна таӀзар дира Цо, ткъа вайн цӀенош Ӏалашдира“». ТӀаккха Везачу Элана хьалха охьатаьӀира халкъ Цуьнга болчу ларамна.</verse>
				<verse number="28">Мусагахулий, АхӀаронехулий Везачу Эло тӀе-ма-диллара, и гӀуллакх кхочушдира исраилхоша.</verse>
				<verse number="29">Буьйса юккъе яхача, Везачу Эло Мисар-махкахь массо а хьалха вина кӀант валийтира, паччахьан гӀантахь Ӏаш волчу пирӀунан хьалхарчу доьзалхочунна тӀера набахти чохь волчу стеган доьзалхочунна тӀекхаччалц. Хьалха дуьнен чу даьлла боьрша даьхни а далийтира.</verse>
				<verse number="30">Буьйсанна пирӀун ша а, цуьнан уллоранаш а, ерриг Мисар а хьалагӀаьттира. Доккха белхар хӀоьттира Мисар-махкахь, хӀунда аьлча чохь велла стаг воцуш цхьа а доьзал бацара.</verse>
				<verse number="31">Цу буссехь тӀе а кхайкхина, Мусага а, АхӀароне а пирӀуно элира: «Шу а, исраилхой а, хьала а гӀовттий, дӀадовла сан халкъана юкъара. Даха а гӀой, Везачу Элана гӀуллакх де, шаьш ма-аллара.</verse>
				<verse number="32">Кегий а, даккхий а даьхни а шайца дӀадига. ДӀа а гӀо, со декъал а ве!»</verse>
				<verse number="33">Берриг а мисархоша доьхура цаьрга, сихонца дӀагӀахьара шу бохуш. «Шу дӀа ца гӀахь, тхо массо а хӀаллакьхир ду!» — бохура цара.</verse>
				<verse number="34">Севсина балале бод схьа а эцна, иза чохь болу пхьегӀаш хӀуманна юкъа а хьарчийна, белшаш тӀехь дӀаяьхьира исраилхоша.</verse>
				<verse number="35">Мусас шайга ма-аллара, мисархошка дато а, дашо а хӀуманаш а, бедарш а йийхира цара.</verse>
				<verse number="36">Везачу Эло мисархой исраилхошца дика хилийтинера, цара исраилхошна дукха хӀуманаш елира.</verse>
				<verse number="37">РаӀамсас-гӀалара гӀаш Сакхат-гӀала баха арабевлира исраилхой. Божарех ялх бӀе эзар гергга стаг вара царна юкъахь, бераш ца лерича.</verse>
				<verse number="38">Дуккха а кхечу къаьмнех болу нах арабевлира цаьрца Мисарара. Исраилхоша дӀадуьгуш дуккха а кегий а, даккхий а даьхни дара.</verse>
				<verse number="39">Новкъахь Мисарара схьабахьачу бедах совсаза хьокхамаш дира цара. Сихонца цу махкара арабевлла дела, церан бод ца севсинера, шайна новкъа довлуш яа хӀума кечъян а ца кхиънера уьш.</verse>
				<verse number="40">Исраилхоша Мисарахь диъ бӀе ткъе итт шо даьккхинера.</verse>
				<verse number="41">И хан яьллачул тӀаьхьа, оццу дийнахь Везачу Элан берриг а бӀо Мисарара арабелира.</verse>
				<verse number="42">И буьйса Везачу Эло ладоьгӀуш яьккхира. Цо уьш Мисарара арабехира. Исраилхоша шайн тӀаьхьенашкахь а еза лоруш, Везачу Элана хьурмат деш йолу буьйса ю иза. Цундела цара иза сема яккха еза.</verse>
				<verse number="43">Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: «Пасахьан коьрта некъаш ду аш лардан дезаш: хийрачу махкара цхьа а стаг Пасахьан кхача баа йиш йолуш вац.</verse>
				<verse number="44">Детих эцначу муьлххачу а лено ша сунтвинчул тӀаьхьа и кхача баа мегар ду.</verse>
				<verse number="45">Нагахь стаг шун махкахь тӀевеана Ӏаш велахь я иза шун белхало велахь, цуьнан и кхача баа йиш яц.</verse>
				<verse number="46">Цхьана цӀа чохь яа еза Пасахьан яа хӀума, жижиг ара а ца доккхуш, даьӀахкаш а ца кегъеш.</verse>
				<verse number="47">Массо а исраилхоша кхочушдан деза гӀуллакх ду иза.</verse>
				<verse number="48">Нагахь шуна юкъахь Ӏаш волчу тӀевеанчу стагана Везачу Элан Пасахь шуьца даздан лаахь, цуьнан цӀийнах болу боьрша нах сунтбе. ТӀаккха, шун санна, бакъо хир ю цуьнан Пасахьан кхача баа. Цхьаннен а сунтваза волчун и кхача баа йиш яц.</verse>
				<verse number="49">Цхьатерра бакъонаш хир ю исраилхочун а, шуна юкъахь Ӏаш волчу стеган а».</verse>
				<verse number="50">Дерриг а Исраилан халкъ Везачу Эло Мусана а, АхӀаронна а деллачу омранна тӀетайра.</verse>
				<verse number="51">Оццу дийнахь Везачу Эло Мисар-махкара арабехира исраилхой, тӀеман бӀо санна.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="13">
				<verse number="1">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="2">«Исраилхойн хӀора хьалха вина кӀант а, хьайба а Суна лерина хилийта, уьш Сан ду».</verse>
				<verse number="3">Мусас халкъе элира: «Шаьш Мисарарчу лоллера арадевлла хӀара де дагахь латтаделаш. Везачу Эло Шен ондачу куьйгаца арадаьхна шу кхузара. ХӀара де дагахь латточу хенахь совсийна бепиг ма даалаш,</verse>
				<verse number="4">хӀунда аьлча кху дийнахь, Авив цӀе йолчу баттахь шу арадовлуш ду.</verse>
				<verse number="5">Везачу Эло канаӀанхойн а, хьетахойн а, эмархойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а лаьтта тӀе дуьгур ду шу. Шуьрех а, мазах а дуьзна токхе и латта шун дайшна лур ду аьлла, чӀагӀо йинера Везачу Эло. Цундела кху баттахь хӀара гӀуллакхаш де.</verse>
				<verse number="6">ВорхӀ дийнахь совсаза бепиг даа, ворхӀалгӀачу дийнахь Везачу Элана лерина дезде хӀоттаде.</verse>
				<verse number="7">Совсаза бепиг ворхӀ дийнахь даа деза. Шун цӀеношкахь а, шун махкахь а совсийна бепиг хила ца деза цу хенахь.</verse>
				<verse number="8">Цу дийнахь хьайн кӀанте ала: „Везачу Эло, Мисарара со араволуш, суна динарг бахьана долуш, лору ас хӀара де“.</verse>
				<verse number="9">Куьйга тӀе йихкина хӀума санна хуьлийла иза хьуна, хьетӀехь йина йолу билгало санна, хуьлийла. Цу дезачу дийно дагахь латтор ду хьуна Везачу Элан хьехамах ахь дуьйцуш хила дезар, хӀунда аьлча Шен боккхачу ницкъаца Везачу Эло хьо Мисарара араваьккхина.</verse>
				<verse number="10">ХӀора шарахь а и дезде билгалдаьккхинчу дийнахь, лара а лоруш, дӀакхехьа.</verse>
				<verse number="11">Везачу Эло хьан дайшна лур бу аьллачу КанаӀан-махка а валийна, и мохк хьайна дӀабелча,</verse>
				<verse number="12">доьзалехь хьалха дуьнен чу ваьлла хӀора кӀант а, боьрша хьайба а Везачу Элана дӀало.</verse>
				<verse number="13">Хьалха хилла йолу вир, цуьнан метта Ӏахар а белла, паргӀатъяккха. Ткъа ахь иза паргӀат ца яккхахь, цуьнан ворта кагъе. Иштта, хьалха винчу кӀантана тӀера а мах бала беза.</verse>
				<verse number="14">Хьан кӀанта хьоьга хин йолчу хенахь хаттахь: „И хӀунда деш ду?“ — аьлла, ахь цуьнга ала: „Везачу Эло Шен боккхачу ницкъаца Мисарара ара а даьхна, лоллехь долчуьра паргӀатдаьхна вай.</verse>
				<verse number="15">Вай дӀахеца ца лууш дуьхьалваьллера пирӀун, тӀаккха Везачу Эло Мисар-махкара хьалха дуьнен чу даьлла массо а кӀант а, боьрша хьайба а хӀаллакдира. Цундела ас Везачу Элана сагӀина лерина хӀора хьалха дуьнен чу даьлла боьрша хьайба дӀа а лой, сайн хьалхара кӀант цу мехаца мукъавоккху“.</verse>
				<verse number="16">Куьйга тӀе йихкина хӀума санна, хьетӀехь йолу билгало санна хуьлийла иза хьуна, Везачу Эло Шен ондачу куьйгаца вай Мисарара арадахар дагахь латтийта».</verse>
				<verse number="17">ПирӀуно халкъ дӀахецча, Дала пӀелаштамхойн лаьттахула ца дигира иза, цигахула некъ боца белахь а. Дала элира: «Шайн тӀом бан дезча, дохко а бевлла, Мисара юхаберза мега уьш».</verse>
				<verse number="18">Цундела Эрзан хӀорда уллорачу яьссачу арахула дӀадигира Дала халкъ. Иштта, Мисар-махкара герзаца арабевлира исраилхой.</verse>
				<verse number="19">Мусас шеца Юсупан даьӀахкаш схьаийцира, хӀунда аьлча Юсупа чӀагӀо яйтинера исраилхошка: «Дала шу кӀелхьардохур ду. Шаьш дӀадоьлхуш, кхузара сан даьӀахкаш дӀахьолаш», — аьлла.</verse>
				<verse number="20">Сакхат цӀе йолчу меттера дӀа а бахана, яьсса аре чекхйолучохь, Атам цӀе йолчу меттигна уллохь севцира уьш.</verse>
				<verse number="21">Веза Эла царна хьалхаваьлла воьдуш вара. Царна некъ гойтуш, дийнахь марханех хиллачу бӀогӀамна юкъахь вогӀура иза, буьйсанна — цӀеран бӀогӀамна юкъахь, царна серло а луш, уьш дийнахь а, буса а дӀабахийта.</verse>
				<verse number="22">Марханийн бӀогӀам а, цӀеран бӀогӀам а халкъана хьалхара дӀаболуш бацара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="14">
				<verse number="1">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="2">«Исраилхошка дӀаала, юха а дерзий, Пи-ХӀахьират олучу меттехь совца, буьйса Мигдол цӀе йолчу меттигний, хӀорданий юккъехь, БаӀал-Цепонна уллохь яккха.</verse>
				<verse number="3">ПирӀунна моьттур ду, исраилхой, цу махкахь тила а белла, яьссачу арено юкъалаьцна бу.</verse>
				<verse number="4">Ас пирӀунан дог чӀагӀдийр ду, тӀаккха иза шуна тӀаьхьавер ву. Ткъа Сайн сийлалла Ас пирӀунехула а, цуьнан эскарехула а гойтур ю. ТӀаккха мисархошна хуур ду Со Веза Эла вуйла». Везачу Эло ма-бохху дира исраилхоша.</verse>
				<verse number="5">Мисаран паччахье, пирӀуне, хаийтира, исраилхой бевдда аьлла. ПирӀунан а, цуьнан уллорачеран а исраилхойх йолу ойла хийцаелира. «И хӀун ду вай динарг? ХӀунда бахийти вай уьш дӀа? ХӀинца вайна болх бан нах а бац», — бохура цара.</verse>
				<verse number="6">Шен гӀудалкх дӀа а йожийтина, тӀемалой вовшахтуьйхира пирӀуно.</verse>
				<verse number="7">Ялх бӀе тоьлла тӀеман гӀудалкх а, Мисарахь йолу ерриг а гӀудалкхаш а, царна тӀехь болу куьйгалхой а шеца схьаийцира цо.</verse>
				<verse number="8">Везачу Эло дог а чӀагӀдина, исраилхошна тӀаьхьаваьллера пирӀун. Ткъа исраилхой майрра дӀабоьлхуш бара.</verse>
				<verse number="9">Мисархой шайн гӀудалкхашца а, дошлошца а, дерриг а эскарца а исраилхошна тӀаьхьабевллера. Пи-ХӀахьират олучу меттигна уллохь, БаӀал-Цапонна хьалха царна тӀаьхьакхиира уьш.</verse>
				<verse number="10">Исраилхошна эскарца шайна тӀевогӀу пирӀун гира. Кхера а белла, Везачу Эле кхайкхира уьш.</verse>
				<verse number="11">Цара элира Мусага: «Мисарахь дӀадохка меттиг а ца хилла, кхуза, яьссачу ара далийта далийна ахь тхо? ХӀара хӀун ду ахь тхуна динарг, цигара ара а даьхна?</verse>
				<verse number="12">ХӀара хир ду ца бехира оха хьоьга вай Мисарахь долуш? „Дитахьа, дацийтахьа тхо мисархошна“, — ца бехира оха? Мисархойн лоллехь хилар гӀоле дара-кх тхуна, яьссачу арахь лечул».</verse>
				<verse number="13">Амма Мусас халкъе элира: «Кхера а ца кхоьруш, дӀахӀиттий латта, Везачу Эло тахана шаьш кӀелхьардахар гур ду шуна. ХӀинца гуш болу мисархой кхин цкъа а гур бац шуна.</verse>
				<verse number="14">Везачу Эло шун дуьхьа тӀом бийр бу, шун хӀумма а дан ца деза».</verse>
				<verse number="15">Везачу Эло Мусага элира: «Соьга хӀунда кхойкху хьо? Исраилхошка дӀадуьйлало ала.</verse>
				<verse number="16">Ткъа ахь хьайн некъан Ӏаса хӀорда тӀехула дӀалаца. ХӀорд бекъа а белла, исраилхой цунна бухахь долчу лаьтта тӀехула чекхбевр бу.</verse>
				<verse number="17">Ас мисархойн дегнаш чӀагӀдийр ду, тӀаккха уьш исраилхошна тӀаьхьагӀур бу. Сайн сийлалла гойтур ду Ас, пирӀунна а, цуьнан эскарна а, гӀудалкхашна а, дошлошна а тӀехь толам а баьккхина.</verse>
				<verse number="18">Аса пирӀунна тӀехь а, цуьнан гӀудалкхашна тӀехь а, цуьнан дошлойшна тӀехь а Сайн сийлалла гайтича, тӀаккха хуур ду мисархошна Со вуйла Веза Эла».</verse>
				<verse number="19">Исраилхошна хьалхадаьлла хилла Делан Малик царна тӀехьа хӀоьттира, тӀаккха юьхь-дуьхьал хилла марханийн бӀогӀам а нахана тӀехьа хӀоьттира.</verse>
				<verse number="20">Мисархошна а, исраилхошна а юккъе хӀоьттира марханийн бӀогӀам. Мисархой болчохь марха а, бода а бара, ткъа исраилхой болчохь серло яра. Буьйса дӀаяллалц тӀеттӀа ца бахара уьш.</verse>
				<verse number="21">Мусас хӀорда тӀехула куьг лаьцча, Везачу Эло малхбалера чӀогӀа мох хьакхийтира. Буьйса чекхъяллалц хьекхначу мохо, хӀорд дӀаса а бекъабалийтина, латта дакъийра.</verse>
				<verse number="22">ХӀорда юккъерачу лаьтта тӀехула дӀабахара исраилхой. Пен а хилла лаьтташ, аьрру а, аьтту а агӀор хи дара царна.</verse>
				<verse number="23">ТӀаьхьабевлла богӀу мисархой шайн ерриг а говрашца, гӀудалкхашца, дошлошца хӀорда юккъе бевлира.</verse>
				<verse number="24">Ӏуьйранна марханийн а, цӀеран а бӀогӀамна юккъера чухьаьжначу Везачу Эло мисархой, бохийна, баржийра.</verse>
				<verse number="25">Цо тӀера чкъургаш дӀайовлийтина дела, мисархойн гӀудалкхаш чохьйиснера, уьш хала текхайора цара. «Исраилхой болчуьра довда деза! — бохуш, маьхьарий хьоькхура цара. — Цаьргахьа волу Веза Эла вайна дуьхьал леташ ву!»</verse>
				<verse number="26">Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн куьг хӀорда тӀехула лаца, тӀеттӀа хьаьддачу хино мисархой шайн гӀудалкхашца а, дошлошца а дӀахьулбийр бу».</verse>
				<verse number="27">Мусас шен куьг хӀорда тӀехула лаьцча, Ӏуьйре хуьлуш хи шен метте юхадеара. Мисархой хих бевдда боьлхура, амма Везачу Эло, хин буха а бахийтина, хӀаллакбира уьш.</verse>
				<verse number="28">Шен метте юхадеанчу хино гӀудалкхаш а, дошлой а къайлабехира. Исраилхошна тӀаьхьадаьллачу пирӀунан эскарх цхьа а дийна ца висира.</verse>
				<verse number="29">Амма хӀорд бекъабелча гучудаьллачу лаьтта тӀехула дехьабевллера исраилхой, аьтту а, аьрру а агӀор хи хиллера царна, пен хилла лаьтташ.</verse>
				<verse number="30">Цу дийнахь Везачу Эло исраилхой мисархойх кӀелхьарбехира. ТӀаьхьо исраилхошна хӀордан берда тӀехь мисархойн декъий гира.</verse>
				<verse number="31">Везачу Эло мисархой эшийча, хиира исраилхошна Цуьнгахь мел ницкъ бу, цундела Везачу Элах а, Цуьнан ялхочух Мусах а кхера а белла, цу шиннах тийшира уьш.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="15">
				<verse number="1">ТӀаккха Мусас а, исраилхоша а Везачу Элана лерина назма элира: «Ас Везачу Элана назма олу, И сийлахь-воккха хиларна. Дин а, бере а цхьаьна Цо хӀорда чу кхоьссина.</verse>
				<verse number="2">Веза Эла сан ницкъ бу, Цуьнан дуьхьа ас назма олу, Цунах суна КӀелхьарвоккхург хилла дела. Иза сан Дела ву, Цунна хастам бо ас. Сан ден а Дела ву Иза, цундела ас лору Иза.</verse>
				<verse number="3">Веза Эла сийлахь тӀемало ву, Цуьнан цӀе ЯхӀува ю.</verse>
				<verse number="4">ПирӀунан эскар а, гӀудалкхаш а хӀорда чу кхиссина Цо, тоьлла болу пирӀунан тӀеман хьаькамаш Эрзан хӀорда чу бахана.</verse>
				<verse number="5">КӀоргачу хиша уьш къайлабехира. ТӀулгаш санна, хи буха а бахана, байна уьш.</verse>
				<verse number="6">Веза Эла, Хьан аьтту куьг ма сийлахь ницкъ болуш ду. Хьан аьтту куьйго, ва Веза Эла, мостагӀа хӀаллаквина.</verse>
				<verse number="7">Хьайн возаллица Ахь эшийна Хьайна дуьхьалбевлларш. Хьайн оьгӀазалла царна тӀе а ерзийна, ча санна, багийна Ахь уьш.</verse>
				<verse number="8">Ахь хьакхийтинчу мохо хи декъа а декъна, пен санна, дӀахӀоттийра. ХӀордан кийрара хи дукъделира.</verse>
				<verse number="9">МостагӀчо элира: „Царна тӀаьхьа а ваьлла, уьш схьалоцур бу ас, церан хьал схьа а доккхур ду. Тур а даьккхина, сайн дог Ӏабош, сан куьйго уьш хӀаллак а бийр бу“.</verse>
				<verse number="10">Амма Ахь царна тӀе мох хьаькхира, тӀаккха уьш, даш санна, хи буха а бахана, хӀордан буьрсачу хиша дӀахьулбира.</verse>
				<verse number="11">Веза Эла, Хьоьга кхочуш мила ву деланашна юкъахь? Хьо санна Шен возаллица а, хастам хилла а, инзаре хӀуманаш кхуллург а мила ву?</verse>
				<verse number="12">Ахь аьтту куьг тесча, уьш Лаьтто дӀахьулбира.</verse>
				<verse number="13">Хьайн хедар боцучу безамца Ахьа мах белла кӀелхьардаьккхина халкъ, онда гӀо лоцуш, езачу Хьайн хӀусаме дигна хир ду Ахь.</verse>
				<verse number="14">Иза хезна халкъаш кхоьруш хир ду. ПӀелаштамхойн халкъ кхерамо Ӏадийна хир ду.</verse>
				<verse number="15">Цу хенахь Эдомера элий боьхна хьийзаш хир бу, Муабера баьччанаш дага тӀе кхерам тесна хир бу, КанаӀанера бахархой, кхерабелла, ша санна, бешна хир бу.</verse>
				<verse number="16">Кхерамо Ӏадор бу уьш! Хьан сийлахь куьг а гина, тӀулгаш санна, дӀатуьйр бу уьш, Хьан халкъ, Веза Эла, тӀехдаллалц, мехах паргӀатдаьккхина халкъ тӀехдаллалц.</verse>
				<verse number="17">ДӀа а дигна, Хьайн цӀенна хаьржинчу метте охьахаор ду Ахь и халкъ, Веза Эла, Хьайна хӀусам Ахь йинчу метте, Хьайн куьйгашца Ахь кхоьллинчу дезачу ЦӀийне!</verse>
				<verse number="18">Веза Эла гуттар а хир ву олалла деш, абаде яллалц».</verse>
				<verse number="19">Шайн гӀудалкхашца пирӀунан говраш а, дошлой а хӀорда чу бевлча, Везачу Эло хӀордан хи царна тӀе дерзийнера, ткъа Исраилан халкъ хӀорда юккъехула лаьтта тӀехула дехьадаьллера.</verse>
				<verse number="20">АхӀаронан йишас, Делера болу хаам бечу Марема, шен жима вота схьаийцира. Цунна тӀаьххье, жима вотанаш схьа а эцна, баккхийберца, халхаршца арабевлира берриг а кхиболу зударий.</verse>
				<verse number="21">Марема царна эшар лекхира: «Хастам бе Везачу Элана, Цо динарг сийлахь ду. Дин а, бере а хӀорда чу кхоьссина Цо».</verse>
				<verse number="22">Исраилхой Эрзан хӀорда тӀера дӀабигира Мусас. Шур цӀе йолчу яьссачу аренга кхечира уьш. Кхаа дийнахь цу аренгахула дӀаоьхуш, хи ца карадора царна.</verse>
				<verse number="23">Эххар а Марра цӀе йолчу метте баьхкира уьш. Цигахь царна карийна хи къаьхьа долуш мала ца лора. Цундела тиллинера цу меттиган цӀе Марра (ткъа иза «къахьалла» бохург ду).</verse>
				<verse number="24">Нах Мусана реза бацара: «Оха хӀун мер ю?» — бохура цара.</verse>
				<verse number="25">Муса Везачу Эле кхайкхира. Везачу Эло шена гайтинчу диттан га хи чу кхоьссира цо. ТӀаккха хи малалуш хилира. Цу меттехь, Шех тешар зен а зийна, Шен халкъо лело дезарг цунна тӀедиллира Дала.</verse>
				<verse number="26">Везачу Эло элира: «Нагахь аша Везачу Эле, шайн Деле, ладогӀахь, Цуьнан лаам аша кхочушбахь, Цо тӀедехкина парзаш аш кхочушдахь, Мисар-махкана тӀе яхкийтинчу цамгарех шуна тӀе цхьа а йоуьйтур яц Ас, хӀунда аьлча Со Веза Эла ву шун дарбанча».</verse>
				<verse number="27">Элим цӀе йолчу метте баьхкира исраилхой. Цигахь хи схьадолу шийтта хьоста а, кхузткъе итт хурмин дитт а дара. Хишна уллохь севцира уьш.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="16">
				<verse number="1">Элим олучу меттера дӀа а бахана, шаьш Мисарара арадевллачу шолгӀачу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь Элимна а, Синайна а юккъехь йолчу Син цӀе йолчу яьссачу ара деара дерриг а Исраилан халкъ.</verse>
				<verse number="2">Цу арахь Мусага а, АхӀароне а лен буьйлабелира нах.</verse>
				<verse number="3">«Мисар-махкахь Везачу Эло тхо дайинехь гӀолехь дара. Цигахь жижиган яйна уллохь Ӏара тхо, дуззалц даа бепиг а хуьлура. Аш тхо массо а хӀокху яьссачу ара дайа далийна», — бохура цара.</verse>
				<verse number="4">Везачу Эло Мусага элира: «Ас стигалара охьа ялта доуьйтур ду шуна. Нахе, ара а бовлий, хӀора дийнахь шайна цхьана денна тоъал иза гулде ала. Айса тӀедиллинарг цара кхочушдой хьожуш, уьш зуьйр бу Ас.</verse>
				<verse number="5">ЙолхалгӀачу дийнахь вукху деношкахь гулдинчул шозза сов гул а дина, кхача кечбан беза цара».</verse>
				<verse number="6">Мусас а, АхӀарона а Исраилан халкъе элира: «Сарахь хуур ду шуна, шаьш Мисар-махкара Арадаьхнарг Веза Эла вуйла.</verse>
				<verse number="7">Шу Шена реза доцийла хиъна Везачу Элана, цундела кхана Ӏуьйранна Цуьнан олаллин нур гур ду шуна. Тхуна луьйш ду шу, ткъа тхан карахь хӀун ду?»</verse>
				<verse number="8">Юха Мусас кхин а элира: «Везачу Элана хезна Шена шу резацахилар, цундела Цо сарахь даа жижиг лур ду шуна, ткъа Ӏуьйранна бепиг а лур ду. Сан а, АхӀаронан а карахь хӀумма а дац! Шу резацахилар тхойшинна дуьхьал дац, Везачу Элана дуьхьал ду».</verse>
				<verse number="9">АхӀароне элира Мусас: «Дерриг а Исраилан халкъе дӀаала: „Везачу Элана хьалха хӀитта, хӀунда аьлча Цунна хезна аш реза доцуш ен гӀовгӀанаш“».</verse>
				<verse number="10">АхӀарона исраилхошка къамел дечу хенахь, массо а, юха а вирзина, яьссачу арене хьаьвсира. ЦӀеххьана царна мархина юккъехь Везачу Элан олаллин нур гира.</verse>
				<verse number="11">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="12">«Суна исраилхоша, реза боцуш, ен хамталлаш хезна. ДӀаала цаьрга: „Тховса сарахь жижиг дуур ду аш, ткъа кхана Ӏуьйранна Ӏаббалц бепиг а хир ду шуна. ТӀаккха хуур ду шуна Со Веза Эла, шун Дела, вуйла“».</verse>
				<verse number="13">Цу сарахь исраилхой севцначу метте лекъарчий даьхкира, ткъа Ӏуьйранна церан меттаматтана гобаьккхина Ӏуьллуш тхи дара.</verse>
				<verse number="14">Тхи дӀадаьлча, лаьтта тӀехь кегийра, лайн чимаш санна а, йис санна а, цхьа хӀуманаш йисира.</verse>
				<verse number="15">Уьш гинчу исраилхоша вовшашка хоьттура: «И хӀун ю?» — бохуш. Царна ца хаьара иза хӀун ю. Мусас элира цаьрга: «Иза Везачу Эло шуна делла ялта ду.</verse>
				<verse number="16">Цо боху вайга, доьзалехь волчу хӀора стага дуур долччул ялта долу и кхачанан буьртигаш гулдеш волчо шен четар чохь Ӏаш волчунна хӀоранна цхьа Ӏовмар гулде иза, хӀора дийнахь шайна тоъал».</verse>
				<verse number="17">Иштта дан а дира исраилхоша, цхьаболчара дукха, вукхара кӀезиг гулдира кхачанан буьртигаш.</verse>
				<verse number="18">Ӏовмар олучу барамца узура цара гулдинарг. Дукха гулдиначун совнаха а ца хуьлура, кӀезиг гулдиначун тӀеоьшуш а ца хуьлура. ХӀораммо а цхьана стагана даъал гулдинера.</verse>
				<verse number="19">Мусас элира цаьрга: «Гулдина кхачанан буьртигаш Ӏуьйренга довллалц ма диталаш».</verse>
				<verse number="20">Амма цара цо бохучуьнга ла ца дуьйгӀира, цхьаболчара шаьш гулдинарг шолгӀачу денна дитира. Кхачанна нӀаьний а дина, цунах вон хьожа йогӀура. ТӀаккха Муса нахана оьгӀазвахара.</verse>
				<verse number="21">Ӏуьйранна хӀораммо а шега даалуччул буьртигаш лахьадора, ткъа малхо дохдича, уьш дешара.</verse>
				<verse number="22">ЙолхалгӀачу дийнахь шозза сов буьртигаш гулдира цара, хӀоранна а шишша Ӏовмар кхочуш. Тхьамданаша, тӀе а баьхкина, Мусага хаийтира иза.</verse>
				<verse number="23">Мусас цаьрга элира: «Иза Делан лаамца хилла хӀума ду, хӀунда аьлча кхана Везачу Элана лерина долу садоӀу де — шоьтан де ду. Шайн ятта езарг а, кхехко езарг а тахана кечъе, ткъа йиснарг, дӀа а йиллий, кханенга яккха».</verse>
				<verse number="24">Мусас ма-аллара, йиснарг кханенна дӀайиллира цара, амма яа хӀума ца телхира, нӀаьний а ца дира цунна.</verse>
				<verse number="25">Мусас элира халкъе: «Тахана шоьтан де ду, иза Везачу Элана лерина садоӀу де ду, цундела шу арадовлахь, шуна буьртигаш карор дац.</verse>
				<verse number="26">Ялх дийнахь гулде уьш, ткъа ворхӀалгӀа де Далла лерина садоӀу шоьтан де ду. Цу дийнахь арахь буьртигаш хир дац».</verse>
				<verse number="27">Цуьнга ла а ца доьгӀна, цхьаберш арабевлира ворхӀалгӀачу дийнахь буьртигаш гулдан, амма царна хӀумма а кара-м ца йира.</verse>
				<verse number="28">Везачу Эло Мусага элира: «Деха Ӏийр дуй шу Сан парзаш а, Ас тӀедехкинарш а кхочуш ца деш?</verse>
				<verse number="29">Хьовсал, Ас, Везачу Эло, шуна садоӀу шоьтан де делла, цундела Ас йолхалгӀачу дийнахь шина денна ло кхачанан буьртигаш. Шаьш долчохь цӀахь Ӏе, ворхӀалгӀачу дийнахь ара ма довла».</verse>
				<verse number="30">ВорхӀалгӀачу дийнахь халкъо садоӀура.</verse>
				<verse number="31">Исраилхоша цу кхачанах «манна» олура (иза Ӏебархойн маттахь «И хӀун ду?» бохург ду). Иза, ораматан хӀу санна, кӀайн а йолуш, чомана моз тоьхна хьокхам санна яра.</verse>
				<verse number="32">Мусас элира: «Везачу Эло вайна тӀедиллина: „Цхьацца Ӏовмар и кхача шайн тӀаьхьенашна дӀабилла, тӀаккха царна гур ду Ас шу Мисарара арадаьхначул тӀаьхьа яьссачу арахь шуна даийна ялта“».</verse>
				<verse number="33">Мусас АхӀароне элира: «Кхаба схьа а эций, цу чу цхьа Ӏовмар буьртигаш дохка. Иза Везачу Элана хьалха хӀоттае, вайн тӀаьхьенашна юьсур ю иза».</verse>
				<verse number="34">ТӀаьхьа, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара, АхӀарона чохь буьртигаш долу кхаба деза тӀорказ чохь йолчу, Дала еллачу тӀулгийн экъанашна хьалха хӀоттийра, Ӏалашъярхьама.</verse>
				<verse number="35">Исраилхоша шовзткъа шарахь йиира «манна», шаьш тӀехь Ӏен долчу лаьтта тӀе а, КанаӀан-мехкан дозанна тӀе а кхаччалц.</verse>
				<verse number="36">(Ткъа цхьа Ӏовмар бархӀ жимачу кедан барамал яра.)</verse>
			</chapter>
			<chapter number="17">
				<verse number="1">Дерриг а Исраилан халкъ Син цӀе йолчу яьссачу арара новкъа делира, Везачу Эло гайтинчу меттигашкахь шайн меттамотт а хӀоттош. Рапидам олучу меттехь севцира уьш, амма цигахь мала хи дацара.</verse>
				<verse number="2">Мусана дуьхьал а бевлла, цуьнга бехкаш дохуш, шайна хи ло бохура цара. «Со хӀунда хьийзаво аша? Везачу Элан собар кхачо а хӀунда гӀерта шу?» — бохура Мусас нахе.</verse>
				<verse number="3">Амма хьагбеллачу наха, Мусана реза боцуш, хоьттура: «Тхо а, тхан бераш а, даьхни а хьогалла дайа арадаьхна ахьа Мисарара?»</verse>
				<verse number="4">Муса Везачу Эле кхайкхира: «ХӀун де ас кху халкъана? Кхин жимма а хӀара дахлахь, цара суна тӀулгаш деттар ду».</verse>
				<verse number="5">Везачу Эло Мусага элира: «Исраилхошна юкъара къаной тӀаьхьа а хӀиттабай, халкъана хьалххула чекхвала. Айхьа Нил-хи тӀе тухуш лелийна Ӏаса хьайн кара схьаэца.</verse>
				<verse number="6">Со Хьариб цӀе йолчу меттехь цхьана тарх тӀе хьуна хьалха дӀахӀуттур ву. Ахь тархах Ӏаса тоьхча, цунах хи долалур ду, тӀаккха наха иза мер ду». Исраилан халкъан къаношна хьалха и гӀуллакх кхочушдира Мусас.</verse>
				<verse number="7">Цу меттиган цӀе Масса а, Мериба а тиллира цо (церан маьӀна «зер» а, «лер» а бохург ду), хӀунда аьлча цигахь исраилхой, Везачу Элана дуьхьал а бевлла, Цунна луьйш а, Иза зуьйш а бара: «Веза Эла тхоьца ву я вац?» — бохуш.</verse>
				<verse number="8">Рапидаме а баьхкина, исраилхошца тӀаме бевлира Ӏамалекхахой.</verse>
				<verse number="9">Мусас ЮшаӀе элира: «Къонахий а харжий, Ӏамалекхахошца тӀом бан гӀо. Кхана, гу тӀе а ваьлла, дӀахӀуттур ву со, Дала тамашийна хӀуманаш гойту Ӏаса сайн буйна а лаьцна».</verse>
				<verse number="10">Мусас бохург кхочушдеш, Ӏамалекхахошца тӀом бан вахара ЮшаӀ. Муса а, АхӀарон а, Хьор а гу тӀе хьалавелира.</verse>
				<verse number="11">Мусас куьйгаш хьалаайича, исраилхой тоьлура, ткъа цо уьш охьадахийтича, Ӏамалекхахой тулура.</verse>
				<verse number="12">Амма Мусан куьйгаш, айина латтийна, дазделлера. ТӀаккха иза тӀулга тӀе охьа а хаийна, АхӀарона а, Хьора а, цхьацца агӀор а ваьлла, цуьнан куьйгаш, хьала а айина, дӀалецира. Малх чубуззалц айина латтийра цара Мусан куьйгаш.</verse>
				<verse number="13">Иштта Ӏамалекх а, цуьнан халкъ а шен туьраца эшийра ЮшаӀа.</verse>
				<verse number="14">Везачу Эло Мусага элира: «ХӀокху тӀамах лаций тептар тӀехь дӀаязде, тӀейогӀучу тӀаьхьенашна хӀара дагахьлаттийта. Ткъа ЮшаӀе ала, Ас Ӏамалекхахой лаьтта тӀера тӀепаза бойур бу алий».</verse>
				<verse number="15">Цигахь сагӀа доккху меттиг кеч а йина, цуьнан цӀе, «Веза Эла сан байракх ю» аьлла, тиллира Мусас.</verse>
				<verse number="16">Цо элира: «Везачу Элан меттигна дуьхьал куьг айина хилла дела, Цо Ӏамалекхахошца даим а тӀом беш хир бу».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="18">
				<verse number="1">Мадани-махкара динан да волчу Мусан стундена Итарна хезира, Мусана а, Шен халкъ долчу исраилхошна а, уьш Мисар-махкара арабаьхча, Дала гӀо дина аьлла.</verse>
				<verse number="2">Мусас шен зуда Ципара цӀа яхийтина йолуш, цуьнан стундас Итара шен йоӀ а, цуьнан ши кӀант а тӀеэцнера.</verse>
				<verse number="3">Шина кӀантах цхьаннан цӀе ГӀиршам яра (иза «цигахь волу тӀевеанарг» бохург ду). И цӀе Мусас тиллинера, ша хийрачу махкахь тӀевеана стаг волу дела.</verse>
				<verse number="4">Вукху кӀентан цӀе ЭлиӀазар яра (и цӀе «Дала суна гӀо до» бохучух тера ю). Иза вича, Мусас элира: «Сан ден Дала, суна гӀо а дина, пирӀунан туьрах со кӀелхьарваьккхина».</verse>
				<verse number="5">Мусан зуда а, ши кӀант а валош, цуьнан стунда Муса волчу яьссачу ара тӀевеара. Мусас цигахь, Делан лома уллохь, меттамотт хӀоттийнера.</verse>
				<verse number="6">Итара Мусага хаийтира: «Со хьан стунда Итар ву, хьан зуда а, ши кӀант а ву соьца».</verse>
				<verse number="7">Дуьхьал а ваьлла, шен стундена хьалха охьа а таьӀна, цунна барт баьккхира Мусас. Маршалла а хаьттина, четар кӀел бевлира уьш.</verse>
				<verse number="8">Мусас шен стундена дийцира исраилхойн дуьхьа Везачу Эло пирӀунна а, мисархошна а динчух лаьцна а, шаьш новкъахь лайначу баланех а, Везачу Эло шайна гӀо дарх лаьцна а.</verse>
				<verse number="9">Итарна хазахийтира, Везачу Эло исраилхой мисархойх кӀелхьар а баьхна, царна динчу дерриге а дикачух лаьцна хезча.</verse>
				<verse number="10">Цо элира: «Хастам бу Везачу Элана! Цо шу пирӀунан куьйгах кӀелхьардаьхна, ткъа хӀара къам Мисаран олаллех паргӀатдаьккхина.</verse>
				<verse number="11">ХӀинца хиъна суна, Веза Эла массо а деланел веза вуйла, исраилхойх ца бешаш лелла болчу мисархошна Цо хӀара дерриг дина дела».</verse>
				<verse number="12">Итара Далла лерина дийнат дагош долу сагӀа а, кхин важа сагӀанаш а дехира. АхӀарон а, исраилхойн къаной а баьхкина, Итарца цхьаьна охьахевшина, Далла хьалха хӀума йиира цара.</verse>
				<verse number="13">ШолгӀачу дийнахь, кхелахо а хилла, халкъана гӀуллакх дан хиира Муса. Ӏуьйранна дуьйна сарралц лаьттира адам Мусана хьалха.</verse>
				<verse number="14">Мусас деш дерг а гина, Итара хаьттира: «Ахь халкъан дуьхьа деш дерг хӀун ду? Ӏуьйранна дуьйна сарралц хьо цхьаъ бен хӀунда вац кхелахо хилла Ӏаш? Хьуна цхьанна хьалха хӀунда лаьтта халкъ?»</verse>
				<verse number="15">Шен стундега Мусас элира: «Суна тӀе нах богӀу, соьгахула Делан лаам хаа.</verse>
				<verse number="16">Царна юкъахь къовсам баьлла хилча, ас царах бакъверг а, воцург а къаставо. Цул совнаха, Дала тӀедехкинарш а, Цуьнан парзаш а довзуьйту ас царна».</verse>
				<verse number="17">Амма Мусан стундас элира: «Нийса дац ахь деш дерг.</verse>
				<verse number="18">Хьайна а, кху нахана а ницкъ бо ахь, хӀунда аьлча хьуна хала ду хӀара гӀуллакх дӀакхехьа, хьоьга-хьайга кхочуш ца дало иза.</verse>
				<verse number="19">Дела хьайца хила лаахь, соьга ла а догӀий, хьайна цхьа хьехар дайта. Далла а, нахана а юкъахь леларг хила, нехан гӀуллакхаш Деле дӀа а хоуьйтуш.</verse>
				<verse number="20">Нахана Делан парзаш а, Цо тӀедехкинарш а Ӏамаде, цара дӀакхехьа безаш болу Делан некъ а бовзийта, цара дан дезаш долу гӀуллакхаш а довзийта.</verse>
				<verse number="21">Амма халкъана юкъара хьуьнаре а, Делах кхоьруш а, нийсо лелор йолуш а, хьарамло ца езаш а болу нах харжа. Уьш эзарна а, бӀенна а, шовзткъе иттанна а, итт стагана а тӀехь куьйгалхой хӀиттабе.</verse>
				<verse number="22">Уьш нахана тӀехь массо а ханна кхелахой хилийта. Нагахь чолхе гӀуллакх хилахь, иза хьайна тӀедаийта, ткъа кегий гӀуллакхаш шайга къастадайта. ТӀаккха хьуна а атта хир ду, ахь къастийначу наха а хьоьца и хало йоькъур ю.</verse>
				<verse number="23">Ахь иза дахь, Дала хьуна иза тӀе а диллахь, хьоьга иза лалур ду, берриг а нах, паргӀатбевлла, шайн цӀа а гӀур бу».</verse>
				<verse number="24">Шен стундега ла а доьгӀна, цо бохург дира Мусас.</verse>
				<verse number="25">Исраилхошна юкъара хьуьнаре нах а хаьржина, уьш хьаькамаш хӀиттийра цо эзарна а, бӀенна а, шовзткъе иттанна а, итт стагана а тӀехь.</verse>
				<verse number="26">Уьш массо а хенахь халкъана кхел еш бара. Чолхе гӀуллакх цара Мусана тӀедахьара, ткъа кегийра гӀуллакхаш шаьш къастадора.</verse>
				<verse number="27">Юха Мусас шен стунда новкъа ваьккхира. Итар шен махка дӀавахара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="19">
				<verse number="1">Шаьш Мисарара арадевлла кхозлагӀа бутт чекхболуш, бутт цӀинлучу хенахь, Синай цӀе йолчу яьссачу ара баьхкира исраилхой.</verse>
				<verse number="2">Рапидамера схьабевлла, Синай йолчу а баьхкина, ламанна дуьххьал севцира уьш. Цара цигахь шайн меттамотт хӀоттийра.</verse>
				<verse number="3">Муса лома тӀе, Дела волчу хьалавелира. Везачу Эло, лам тӀера кхайкха а кхайкхина, цуьнга элира: «Якъубан тӀаьхьене, исраилхошка, дӀаала:</verse>
				<verse number="4">„Шуна гина Ас мисархошна динарг, гина Ас, аьрзун тӀемаш тӀехь санна, шаьш Со волчу схьадалор.</verse>
				<verse number="5">Нагахь Ас бохучуьнга ла а дугӀуш, Соьца бина барт аш ларбахь, массо а халкъашна юкъара шу Сан долахь долу жовхӀар хир ду, хӀунда аьлча дерриг а Латта Сан ду.</verse>
				<verse number="6">Шу Сан деза халкъ а хир ду, динан дайн пачхьалкх а хир ю“. Муса! Ас аьлла и дешнаш Исраилан халкъе ахь дӀахаийта».</verse>
				<verse number="7">Юха а веана, къаной а гулбина, Везачу Эло шена тӀе диллинарг цаьрга дӀаэлира Мусас.</verse>
				<verse number="8">Дерриг а халкъо, цхьа барт а хилла, элира: «Везачу Эло бохург дерриг а кхочушдийр ду оха». Халкъо аьлла дешнаш Везачу Эле хаийтира Мусас.</verse>
				<verse number="9">Везачу Эло Мусага элира: «Юькъачу мархи юкъахь хьуна дуьхьал хӀуттур ву Со, Ас хьоьца деш долу къамел хезча, нах гуттаренна а хьох тешийтархьама». ТӀаккха наха аьлларг Везачу Элана хаийтира Мусас.</verse>
				<verse number="10">Везачу Эло Мусага элира: «Халкъана тӀе а гӀой, тахана а, кхана а кечде иза, Сан дуьхьа уьш дӀакъасто. Нахе шайн бедарш а йиттийта.</verse>
				<verse number="11">КхозлагӀчу дийнахь кийча хила а ала цаьрга. Цу дийнахь дерриг а халкъана хьалха Веза Эла волу Со Синай-лам тӀе вуссур ву.</verse>
				<verse number="12">Ламанна гонах сиз а хьакхий, нахе лам тӀе а ма довла, цуьнан лахенах хьакха а ма ло ала. Ломах хьакхавелларг вуьйр ву.</verse>
				<verse number="13">Адам делахь а, хьайба делахь а, тӀулгаш деттий я пха кхоссий, де иза. Цхьаммо а цунах куьг а ма Ӏотта. Локхучу уьстагӀан маӀан дахдина аз хезча, нах лам тӀе хьалабовла мегар ду».</verse>
				<verse number="14">Лома тӀера чу а воьссина, нах базбира Мусас. Цара шайн хӀуманаш йиттира.</verse>
				<verse number="15">Цо халкъе элира: «КхозлагӀчу денна кийча а хила, шайн зударшна улло а ма гӀо».</verse>
				<verse number="16">КхозлагӀчу дийнахь лома тӀе юькъа марха йоьссира. Къекъаш стигал а яра, серладуьйлуш стелахаьштигаш а дара, хезаш уьстагӀан маӀан вуно онда аз а дара. Меттамотт болчохь долу адам чӀогӀа кхераделира.</verse>
				<verse number="17">Мусас халкъ, меттаматтара ара а даьккхина, ламанна кӀел Делаца цхьаьнакхета дӀадигира. Уьш ламанан кӀажехь дӀахӀиттира.</verse>
				<verse number="18">Берриг а Синай-лам кӀуьро дӀалаьцнера, Веза Эла цӀергахь шена тӀе воьссина дела. ЧӀогӀа бегош болчу цу ломах, пешара санна, кӀур хьалаоьхура.</verse>
				<verse number="19">УьстагӀан маӀан аз тӀаьхь-тӀаьхьа чӀагӀлуш дара. Мусас къамел дора, Дела цунна дуьхьал стигал къовкъарехь вистхуьлура.</verse>
				<verse number="20">Синай-ламанан бохь тӀе воьссинчу Везачу Эло Мусага лам тӀе кхайкхира. Муса хьалавелира.</verse>
				<verse number="21">Везачу Эло Мусага элира: «Чу а воссий, халкъе улло а ма дола, Веза Эла ган а ма гӀерта ала. Цара иза дахь, нахах дукхахберш хӀаллакьхир бу.</verse>
				<verse number="22">Веза Эла волчу Суна улло богӀу динан дай а тӀехь шаьш-шайн базбина хила беза, Соьга шаьш лаза ца байта».</verse>
				<verse number="23">Мусас Везачу Эле элира: «Халкъан Синай-лам тӀе дала бакъо яц, хӀунда аьлча Ахь аьлла тхоьга, ломана гонах сиз а хьакхий, лам базбеш Хьайна дӀакъастабе аьлла».</verse>
				<verse number="24">Везачу Эло цуьнга элира: «ГӀой, нах болчу чувосса, юха АхӀаронца хьалавала. Динан дай а, нах а Со волчу хьала ма бовлийта, Соьга шаьш хӀаллак ца дайта».</verse>
				<verse number="25">Халкъ долчу чу а воьссина, и дерриг а дӀаэлира Мусас.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="20">
				<verse number="1">Юха Дала халкъе хӀара дешнаш элира:</verse>
				<verse number="2">«Со Веза Эла ву, шун Дела, шу Мисарара, лоллехь долчуьра Арадаьхнарг.</verse>
				<verse number="3">Со воцург кхин Дела ма хилийта шайн.</verse>
				<verse number="4">Цхьана а тайпана лакхахь стигалахь, я лахахь лаьттахь, я лаьттал лахарчу хиш чохь хӀуманан вастехь сурт кхуллуш, шайна цӀуш а ма белаш.</verse>
				<verse number="5">Царна корта а ма бетта, Ӏибадат а ма де. Со, шун Веза Дела, эмгаралла йолу Дела ву. Со ца везаш волчунна таӀзар до Ас. Ас цунна а, цуьнан берашна а, кхозлагӀчу а, йоьалгӀачу а тӀаьхьенна тӀекхаччалц таӀзар до.</verse>
				<verse number="6">Амма, шена тӀедиллинарг кхочуш а деш, Со везаш волчунна эзарнаш тӀаьхьенашкахь Сайн хедар боцу безам гойтур бу Ас.</verse>
				<verse number="7">Везачу Элан, шайн Делан, цӀе эрна ма яккха, хӀунда аьлча Шен цӀе эрна йоккхуш верг Везачу Эло таӀзар ца деш вуьтур вац.</verse>
				<verse number="8">Шоьтан де дагахь латтаде, иза Сан дуьхьа дӀа а къастош.</verse>
				<verse number="9">Ялх дийнахь болх а бе, дерриг а шайн гӀуллакхаш а нисде.</verse>
				<verse number="10">Ткъа ворхӀалгӀа де шайн Везачу Далла лерина садоӀу де хилийта. Цу дийнахь аша а, шун кӀанта а, йоӀа а, шун лено а, гӀарбашо а, даьхнино а, шун хӀусамехь волчу хьешо а цхьа а тайпана болх ма бе.</verse>
				<verse number="11">Везачу Эло ялх дийнахь кхоьллина стигалш а, латта а, хӀорд а, дерриг а царна чохь дерг а. ВорхӀалгӀачу дийнахь Цо садаьӀна. Цундела шоьтан де, декъал а дина, Шен дуьхьа дӀакъастийна Везачу Эло.</verse>
				<verse number="12">Шайн дай-наний а лара, шайн Везачу Дала шуна лур долчу лаьтта тӀехь дехха дахар шун хилийтархьама.</verse>
				<verse number="13">Адам ма де.</verse>
				<verse number="14">Нахаца ма лела.</verse>
				<verse number="15">Къола ма де.</verse>
				<verse number="16">Шайн уллорачунна дуьхьал харцтоьшалла ма де.</verse>
				<verse number="17">Шайн уллорачун цӀа ма деза, цуьнан зуда а ма еза, цуьнан лай а, гӀарбаш а, сту а, вир а, цуьнан цхьа а хӀума а шайна ма деза».</verse>
				<verse number="18">Дерриг а халкъана стигалан къекъар а, цӀеран алу а, кӀур туьйсу лам а гора, уьстагӀан маӀан аз а хезара. И сурт гича, кхоьруш, генна а бевлла, хьоьжуш лаьттара нах.</verse>
				<verse number="19">Цара Мусага элира: «Ахь дийца тхоьца, оха ладугӀур ду, амма Дала тхоьца къамел ма дойла, тхо ца далийтархьама».</verse>
				<verse number="20">Мусас халкъе элира: «Кхера ма кхера. Дела шу зен а, Шега болчу ларамах шу дуьзна а долуш, шуьга къа ца латадайта а веана ву».</verse>
				<verse number="21">Халкъ геннахь лаьтташ дара, ткъа Муса Дела чохь волчу юькъачу мархина гергавеара.</verse>
				<verse number="22">Везачу Эло Мусага элира: «ДӀаала исраилхошка: „Шуна гира, Ас стигалара шайга къамел деш.</verse>
				<verse number="23">Суна хьалха шайна дато а, дашо а цӀуш ма бе.</verse>
				<verse number="24">Лаьттах Суна лерина сагӀа доккху меттиг а яй, цу тӀехь дийнаташ дагоран а, барт баран а сагӀанаш даха, шайн уьстагӀий а, стерчий а далош. Сан цӀе шуна дагаяийта Ас билгалъяьхначу массо а меттигашкахь, Со тӀе а вогӀуш, Ас шу декъалдийр ду.</verse>
				<verse number="25">Нагахь шаьш Суна лерина сагӀа доккху меттиг тӀулгех еш хилахь, хьаькхначу тӀулгех ма е иза. ТӀулг хьокхучу гӀирсо уьш Далла хьалха бехдийр ду.</verse>
				<verse number="26">СагӀа доккхучу меттигна тӀевоьдучохь лами ма бе. Цунна тӀехула шу хьаладовлуш, бедаршна кӀелхьара шун дегӀ гур ду“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="21">
				<verse number="1">«Халкъана хьалха ахь кхайкхо деза тӀедехкинарш хӀорш ду:</verse>
				<verse number="2">Нагахь айхьа Ӏебархойх волу лай эцахь, цуьнга ялх шарахь хьайна болх байта, ткъа ворхӀалгӀачу шарахь дӀахеца иза, цунах мах а ца боккхуш.</verse>
				<verse number="3">Нагахь иза ша веанехь, ша дӀа а хеца. Нагахь иза зудчуьнца хиллехь, цуьнца цхьаьна зуда а дӀаяхийта.</verse>
				<verse number="4">Нагахь хӀусамдас шен лена зуда а ялийна, зудчо цунна кӀентий я йоӀарий бинехь, шен зуда а, бераш а хӀусамдена а дитина, иза ша дӀаваха веза.</verse>
				<verse number="5">Амма лено ала тарло: „Сайн хӀусамда а, сайн зуда а, бераш а деза суна, со паргӀатваккхийта ца лаьа суна“.</verse>
				<verse number="6">ТӀаккха хӀусамдас, лай Далла хьалха а хӀоттийна, неӀарна я неӀаран гурана улло а вигна, цуьнан лергах Ӏуьрг даккха деза, ю а Ӏоьттина. ТӀаккха лай тӀейогӀу мел йолчу хенахь хӀусамдена вуьсур ву.</verse>
				<verse number="7">Нагахь цхьаммо шен йоӀ лолле йохкахь, боьршачу лешка хьаьжча, иза мукъаяккхар кхечу тайпана хуьлу.</verse>
				<verse number="8">Нагахь цунах шена гӀарбаш-зуда ян хӀусамда реза вацахь, иза паргӀатъялийта еза цо. Хийрачу къомах болчарна иза йохка бакъо яц цуьнан, иза цуьнца мекарлонца лелла дела.</verse>
				<verse number="9">Нагахь хӀусамдас иза шен кӀентан дола яккхахь, шен йоӀ санна лело еза цо иза.</verse>
				<verse number="10">Нагахь цо шена кхин зуда ялаяхь, хьалха ялийна йолчу зудчунна а кхача а, бедар а латтор а, майрачо ден Ӏуналла а лагӀдан ца деза цо.</verse>
				<verse number="11">Нагахь и кхо хӀума кхочушдеш дацахь, цу зудчунна дӀаяха бакъо яла еза, цунах мах а ца боккхуш».</verse>
				<verse number="12">«Нагахь стага валлал чӀогӀа цхьанна тоьхнехь, тоьхнарг вен веза.</verse>
				<verse number="13">Нагахь ларамаза стага цхьаъ вийнехь, ткъа Дала иза магийтинехь, бехкениг Ас аьн долчу метте ведда дӀаваха веза.</verse>
				<verse number="14">Амма цхьаъ, шен уллораниг тешнабехкаца хаа а хууш, вен а вийна, Суна сагӀа доккху кхерч болчу веддехь, кхерчана уллора дӀа а вигий, ве иза.</verse>
				<verse number="15">Дена я нанна тоьхнарг вен веза.</verse>
				<verse number="16">Цхьаммо стаг, лачкъа а вина, вохкахь, я иза цуьнгахь каравахь, и лачкъийнарг вен веза.</verse>
				<verse number="17">Шен дена я нанна неӀалт аьлларг вен веза.</verse>
				<verse number="18">Шина стеган дов а даьлла, цхьаммо вукхунна тӀулг я буй а тоьхна, иза вала ца лахь, амма метта охьавижахь,</verse>
				<verse number="19">юха хьала а гӀоттуш, иза гӀожаца чу-ара волуш хилахь, цунна тоьхнарг вен ца оьшу. Амма бехке волчо лазийначунна мах бала беза иза болх ца балуш вуьсучу ханна. Цул сов, бехке волчо лазийнарг Ӏалашван веза, цуьнан могушалла кхоччуш юхаметтахӀотталц.</verse>
				<verse number="20">Нагахь цхьаммо шен лена я гӀарбашна гӀаж а тоьхна, иза лахь, цунна таӀзар дан догӀу.</verse>
				<verse number="21">Амма лазийначунна цхьана-шина дийнахь гӀоле хилахь, хӀусамдена таӀзар дан ца оьшу, хӀунда аьлча цо, ахча а делла, эцна ву и лай.</verse>
				<verse number="22">Нах летча, цхьаммо берах йолчу зудчунна тоха а тоьхна, иза остаялахь, амма кхин зе дина дацахь, и зуда долахь йолчу стага тоьхна долу гӀуда даккха деза бехке волчуьнгара кхелахоша къобалбечу барамехь.</verse>
				<verse number="23">Амма дина доккха зе делахь, синах са даккха догӀу,</verse>
				<verse number="24">хьайн бӀаьрг баккхахь, цунна дуьхьал бӀаьрг баккха, цергана дуьхьал церг яккха, куьйгах — куьг, когах — ког,</verse>
				<verse number="25">вагорна дуьхьал ваго веза, чевнна дуьхьал чов, лазорна дуьхьал лазор.</verse>
				<verse number="26">Нагахь цхьаммо шен лена я гӀарбашна тоьхна, бӀаьрг баккхахь, цо уьш паргӀатбаха беза, хӀунда аьлча бӀаьрг иза маьршабовларан мах бу.</verse>
				<verse number="27">Нагахь хӀусамдас, тоьхна, шен лен я гӀарбашан церг яккхахь, цо уьш паргӀатбаха беза. Церг паргӀатбовларан мах бу».</verse>
				<verse number="28">«Нагахь старо стагана я зудчунна уьш баллалц маӀаш Ӏиттахь, тӀулгаш а кхиссий, бе и сту, амма цуьнан жижиг ма даа. Ткъа сту болчу хӀусамден бехк бац.</verse>
				<verse number="29">Нагахь санна сту хьалха а леташ хиллехь, цуьнан хӀусамдега цунах дерг дӀа а аьллехь, амма цо иза дӀа ца бихкинехь, и сту, нагахь санна цо стаг я зуда дехь, тӀулгаш а кхиссина, бен беза, цуьнан хӀусамда а вен веза.</verse>
				<verse number="30">Нагахь цу хӀусамдена гӀуда тохахь, цо иза дӀадала деза, шен дахар паргӀатдаккхархьама.</verse>
				<verse number="31">КӀантана я йоӀана старо маӀаш Ӏиттахь, хӀусамдена, хьалхалерниг санна, таӀзар дан догӀу.</verse>
				<verse number="32">Нагахь лена я гӀарбашна старо маӀаш Ӏиттахь, церан хӀусамдена сту болчо ткъе итт дато ахча дала деза, ткъа сту, тӀулгаш а кхиссина, бен беза.</verse>
				<verse number="33">Нагахь цхьаммо ор схьадаьстина, я, иза даккха а даьккхина, тӀе хӀума а ца тоьхна, цу чу сту я вир йожахь,</verse>
				<verse number="34">ор долчо бежана долчу хӀусамдена детица гӀуда такха деза, ткъа делла бежана бехке волчунна дуьсур ду.</verse>
				<verse number="35">Нагахь цхьаннан старо, лулахочун сту маӀаш а Ӏиттина, бехь, дийна болу сту дӀа а боьхкина, цунах делла ахча шайна юкъахь декъа деза, белла сту а бекъа беза.</verse>
				<verse number="36">Амма хьалха а, сту леташ буйла а хууш, хӀусамдас иза дӀа ца бихкинехь, бийначу старана дуьхьал сту бала беза цо, ткъа бийнарг цунна буьсур бу».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="22">
				<verse number="1">«Нагахь цхьаммо сту я уьстагӀ, лачкъа а бина, бехь я бохкахь, цо старана дуьхьал пхи сту а, уьстагӀна дуьхьал биъ уьстагӀ а бала беза.</verse>
				<verse number="2">ХӀума лачкъо чуваьлла къу цхьаммо вийнехь, къуьнан цӀий вийначунна тӀехь хир дац,</verse>
				<verse number="3">амма дийнахь иза делахь, къу вийначунна тӀехь цӀий ду. ХӀума лачкъийначо ша дина зе дӀатакха деза, амма цуьнан дӀадала хӀума дацахь, цо дина зе меттахӀоттош, иза вохка веза.</verse>
				<verse number="4">Нагахь къуьнехь цо лачкъийна хӀума — сту белахь, я вир елахь, я уьстагӀ белахь а — дийна караяхь, цуьнгара ши мах баккха беза.</verse>
				<verse number="5">Нагахь цхьаммо шен арахь я кемсийн бешахь дажош долу даьхни дӀа а хецна, нехан дӀайийна аре талхаяхь, шен арахь я кемсийн бешахь кхиъна тоьлла долу сурсаташ дӀадала деза цо.</verse>
				<verse number="6">Нагахь цхьаммо цӀе латаяхь, ткъа цу цӀеро, коканашкахула яржа а яьржина, лулахочун цӀевнаш я арахь долу ялта, я ерриг а ялтин аре дӀакхаллахь, цӀе латийначо цу цӀеро дина зе меттахӀотто деза.</verse>
				<verse number="7">Нагахь цхьаммо шен лулахочуьнга Ӏалашдан дато ахча я хӀуманаш лахь, амма цуьнан цӀа чуьра уьш лачкъаяхь, къу схьакарийча, цуьнга шалха мах охьабиллийта беза.</verse>
				<verse number="8">Нагахь къу кара ца вахь, лулахочо, Далла хьалха а веана, шега еллачу хӀуманашна ша тӀе ца кхевдина аьлла, чӀагӀо ян еза.</verse>
				<verse number="9">Шина стагана юкъахь муьлхха а хӀуманах лаьцна — я старах, я вирах, я уьстагӀах, я бедарх, я яйначу хӀуманах — къовсам белахь, и гӀуллакх Далла хьалха дахьа деза. Дала бехке винчо шен довхочунна шалха мах бала беза.</verse>
				<verse number="10">Нагахь цхьаммо шен уллорачуьнга Ӏалашъян я вир, я сту, я уьстагӀ, я кхин долу даьхни лахь, амма и даьхни делча, я лазийча, я цхьанна а ца гуш, лачкъийча,</verse>
				<verse number="11">Везачу Элана хьалха даьхни схьаэцначо чӀагӀо ян еза, шега деллачу даьхнина ша тӀе ца кхевдина аьлла. Даьхнин дас иза тӀеэца деза, вукхо мах бала а ца беза.</verse>
				<verse number="12">Нагахь даьхни схьаэцначух цхьаммо и даьхни лачкъийнехь, цунах богӀу мах даьхнин дена дӀабала беза и даьхни тӀелаьцначо.</verse>
				<verse number="13">Нагахь даьхни экхано цистинехь, бухайисина чарх дӀагайта еза, тӀаккха хӀусамдена даьхних мах бала безар бац.</verse>
				<verse number="14">Нагахь цхьаммо шен уллорачуьнгара лело даьхни а далийна, и даьхни, цуьнан да уллохь а воцуш, лазадахь я лахь, цунах мах бала беза.</verse>
				<verse number="15">Ткъа нагахь даьхнин да уллохь хиллехь, мах бала ца беза. Даьхни лелориг мах белла хиллехь, иза цунах богӀу мах хир бу».</verse>
				<verse number="16">«Нагахь маре яхаза йоӀстаг Ӏеха а йина, цуьнца цхьаъ дӀавижахь, йоӀах богӀу мах дӀа а белла, иза яло еза цу стага.</verse>
				<verse number="17">Ткъа нагахь йоӀан да цуьнга иза яхийта реза ца хилахь, йоӀах томана богӀу мах дӀабала беза.</verse>
				<verse number="18">Жинашца тайнарг дийна ма йита.</verse>
				<verse number="19">Бежанца дӀавижнарг ве.</verse>
				<verse number="20">Веза Эла воцучу, кхечу деланашна сагӀа доккхург хӀаллакве.</verse>
				<verse number="21">ТӀевеана стаг ваца а ма ве, цунна ницкъ а ма бе, хӀунда аьлча шу а дара Мисар-махкахь тӀедаьхкина Ӏаш.</verse>
				<verse number="22">Йисина Ӏачу зудчунна а, байшна а зе ма де.</verse>
				<verse number="23">Нагахь ахь царна зе дахь, Соьга уьш кхайкхича, церан мохь Суна хезар ма бу.</verse>
				<verse number="24">ОьгӀазваханчу Аса туьраца дойур ду шу, тӀаккха шун зударий бисина Ӏаш хир бу, шун бераш а байлахь дуьсур ду.</verse>
				<verse number="25">Нагахь Сан халкъана юкъара къечу стаге духалург айхьа ахча деллехь, духалург ахча луш болу вуьш санна ма хила цуьнца — ял а ма яккха цуьнгара ахчанна тӀе.</verse>
				<verse number="26">Нагахь закъалтана уллорачуьнгара айхьа бедар эцнехь, малх дӀабузале юхало иза цунна,</verse>
				<verse number="27">хӀунда аьлча и бедар йоцург кхин духар дац цуьнан, дегӀ дохдеш долу. ДӀа муха вуьжур ву иза, тӀетесна хӀума а йоцуш? Цо Сайга кхайкхича, Суна хезар ду, хӀунда аьлча Со къинхетаме ву.</verse>
				<verse number="28">Далла а ма ле, халкъана тӀехь хӀиттийначу хьаькамашна неӀалт а ма кхайкхаде.</verse>
				<verse number="29">Хьалха чудерзийна ялта а, кемсийн мутта а, зайтдаьтта а Суна шен хенахь схьало. Дуьххьара шайн хилла кӀант а схьало Суна.</verse>
				<verse number="30">Иштта шайн дуьххьара хилла сту а, ка а Суна схьало. ВорхӀ дийнахь шайн наношца а дитий, борхӀалгӀачу дийнахь схьало уьш.</verse>
				<verse number="31">Шу Сан долахь долу халкъ ду, цундела акхароша цистинчу даьхнин жижиг ма даа, дӀало иза жӀаьлешна».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="23">
				<verse number="1">«Даьсса хабар дӀаса ма даржаде. Харц тоьшалла а деш, вониг динчу стагана гӀо ма де.</verse>
				<verse number="2">Дуккха а нахана тӀаьхьа а хӀоттий, вониг ма де. Кхел ечохь дукхахболчара дуьйцучо ахь до тоьшалла харцахьа ма дерзийта.</verse>
				<verse number="3">Къечу стеган дов хоттучу хенахь цуьнгахьа а ма оза.</verse>
				<verse number="4">Нагахь хьайн мостагӀчун тилабелла сту я вир хьайна караяхь, шен дена тӀе дӀадига деза уьш.</verse>
				<verse number="5">Нагахь беза мохь бахьа а ца белла, йоьжна Ӏуьллуш хьан мостагӀчун вир хилахь, цигара дӀа ма гӀо, гӀо де цунна, и вир юха когаш тӀе хӀоттош.</verse>
				<verse number="6">Къечу стагана ен кхел бакъдолчунна тӀера ма ялийта.</verse>
				<verse number="7">Харц кхел ярна генавала, бехке воцург а, нийса верг а ма вейта, хӀунда аьлча бехке верг Ас бакъвийр вац.</verse>
				<verse number="8">Кхаьънаш ма эца, хӀунда аьлча цара са гуш верг бӀаьрзе во, бакъболчеран гӀуллакх талхадо.</verse>
				<verse number="9">ТӀевеанчу стагана ницкъ ма бе. Шуна евза тӀевеанчун дог-ойла, хӀунда аьлча шу а Ӏийна тӀедаьхкина Мисар-махкахь».</verse>
				<verse number="10">«Ялх шарахь хьайн латта дӀа а де, цу тӀера ялта а гулде.</verse>
				<verse number="11">ВорхӀалгӀачу шарахь иза дӀа ма де, лаьтте садаӀийта. Хьайн халкъана юкъахь болчу мискачу нахе цунах пайда эцийта, ткъа царах диснарг арарчу акхарошка даийта. Иштта де хьайн кемсийн а, зайт-диттийн а аренашкахь.</verse>
				<verse number="12">Ялх дийнахь болх бе, ткъа ворхӀалгӀачу дийнахь садаӀа, хьайн стеран а, виран а синтем хилийтархьама а, хьайн гӀарбашан кӀанте а, тӀевеанчу стаге а садаӀийтархьама а.</verse>
				<verse number="13">Ас шайга аьлларг дерриг а кхочушде, кхечу деланашна Ӏибадат ма де, ур-атталла церан цӀераш а ма яха».</verse>
				<verse number="14">«Шарахь кхузза Суна лерина деза денош хилийта.</verse>
				<verse number="15">Совсазчу баьпкан дезде ларде: Ас хьайна тӀе-ма-диллара, ворхӀ дийнахь совсаза бепиг даа Авив беттан билггалчу хенахь, хӀунда аьлча цу хенахь шу Мисарара арадевлла. СагӀа даккхаза цхьа а Суна хьалха ма хӀотта.</verse>
				<verse number="16">Айхьа бинчу белхан дуьххьарлера ялта арара схьаэцаран де а дазде. Иштта, хьайн арара болх дӀаберзош, шеран чаккхенехь ялта чудерзоран де а дазде.</verse>
				<verse number="17">ХӀора шарахь, оцу кхаа дезачу дийнахь, берриг а божарий Хьалдолчу Элана хьалха хӀитта беза.</verse>
				<verse number="18">Дийнатан цӀийн сагӀа Суна даьккхича, совсийна бепиг Суна сагӀина ма дагаде, ткъа дезачу денна Суна сагӀина даьккхинчун мохь Ӏуьйренга ма ялийта.</verse>
				<verse number="19">Хьайн арара дуьххьара гулдина ялта хьайн Везачу Делан цӀийне да. Буьхьиган жижиг цуьнан ненан шури чохь ма кхехкаде».</verse>
				<verse number="20">«Ас Малик дохуьйту хьуна хьалхадаьккхина новкъахь хьо Ӏалашвайта а, Ас хьуна кечйинчу метте хьо дӀавига а.</verse>
				<verse number="21">Цуьнан тидам а бе, Цуьнга ла а догӀа. Дуьхьало ма е Цунна, хӀунда аьлча Цо оцу къинна гечдийр дац, Цуьнца Сан цӀе хиларна.</verse>
				<verse number="22">Цуьнга ла а дугӀуш, Ас мел бохург ахь кхочушдахь, хьан мостагӀийн мостагӀа хир ву Со, хьуна дуьхьал волчунна дуьхьал а хир ву.</verse>
				<verse number="23">Сан Малико, хьалха а даьлла, дӀавуьгур ву хьо. Цо эмархошна а, хьетахошна а, перезахошна а, канаӀанхошна а, хьаьвихошна а, явсайхошна а тӀе вуьгур ву хьо, амма Ас хӀаллакбийр бу уьш.</verse>
				<verse number="24">Церан деланашна хьалха корта ма тоха, царна Ӏамал а ма е, цу нахах дӀа а ма тарло. Мелхо а, церан цӀуш бохабе, ткъа цара шайн деланашна хӀиттийна тӀулгаш кегде.</verse>
				<verse number="25">Суна, шайн Везачу Далла, Ӏамал е. Шу иштта лелахь, Ас декъалдийр ду шун бепиг а, хи а, шуна тӀера цамгарш дӀа а йохур ю.</verse>
				<verse number="26">Хенал хьалха бер хуьлуш а, бер ца хуьлуш а зударий хир бац хьан махкахь. Хьан дахар а деха хуьлуьйтур ду Ас.</verse>
				<verse number="27">Сайх болу кхерам хьол хьалха дӀабохуьйтур бу Ас, ткъа муьлхха а хьо тӀедахана халкъ дохийна хьовзор ду. Хьан мостагӀий, дӀа а берзийтина, хьуна хьалхара бовдуьйтур бу Ас.</verse>
				<verse number="28">Хьол хьалха бомозий дохуьйтур ду Ас. Цара лохкур бу хьаьвихой а, канаӀанхой а, хьетахой а хьуна хьалхара дӀа.</verse>
				<verse number="29">Амма уьш цхьана шарахь дӀалохкур бац Ас, латта дасса а делла, хьуна дуьхьалйовла акхарой тӀех дукха ца хилийта.</verse>
				<verse number="30">Жим-жимма и халкъаш хьо долчуьра дӀадохур ду Ас, хьо деба а дебна, дерриг а хӀара латта ахь дола даккхалц.</verse>
				<verse number="31">Хьан дозанаш Ас тухур ду Эрзийн хӀорда тӀера ПӀелаштам-хӀорда тӀе кхаччалц, яьссачу арара Эпрат-хина тӀе кхаччалц. Цу мехкан къаьмнаш хьан кара лур ду Ас, тӀаккха уьш шаьш долчуьра лохкур ду ахьа.</verse>
				<verse number="32">Я цаьрца а, я церан деланашца а барт ма бе.</verse>
				<verse number="33">Хьан махкахь уьш буьтийла дац, Суна дуьхьал хьоьга къинош ца летадайта, хӀунда аьлча церан деланашна ахь Ӏамал яхь, иза хьуна боьгӀна гур хир бу».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="24">
				<verse number="1">Везачу Эло Мусага элира: «Хьо а, АхӀарон а, Надаб а, АбихӀу а, къанойх кхузткъе итт стаг а, Со волчу хьала а довлий, геннара Суна хьалха охьатаӀа.</verse>
				<verse number="2">Хьо-хьо Суна улло вола, ткъа вуьш гергахьа ма бахкийта. Халкъ хьайца лам тӀе хьала ма даладе».</verse>
				<verse number="3">Халкъана тӀе а веана, Везачу Элан коьрта дешнаш а, Цо тӀедиллинарг а довзийтира Мусас. Массара а, цхьаммо санна, элира: «Везачу Эло аьлларг дерриг а оха кхочушдийр ду».</verse>
				<verse number="4">Везачу Эло аьлла дерриге а дешнаш Мусас дӀаяздира. ШолгӀачу Ӏуьйранна, хьалххе хьала а гӀаьттина, лома кӀелахь сагӀа даккха меттиг кечйира цо, исраилхойн шийтта тайпанан цӀарах цхьацца тӀулг а биллира.</verse>
				<verse number="5">Юха Мусас исраилхойн кегий нах бахкийтира сагӀа даккха. Цара дийнаташ дагоран сагӀанаш дохура. ТӀаккха, стерчий а дайина, барт баран сагӀанаш а дохура.</verse>
				<verse number="6">Мусас дийнатех даьлла ах цӀий кедаш чу доьттира, ткъа вукхуьнца сагӀа даккха меттиг тӀадийра.</verse>
				<verse number="7">Шаьш Везачу Элаца бина барт тӀеязбина тептар, схьа а эцна, дийшира Мусас. Наха элира: «Везачу Эло аьлларг дерриг а деш, Цунна муьтӀахь хир ду тхо».</verse>
				<verse number="8">Кедаш чуьра цӀий нахана тӀе хьаьрсира Мусас. «ХӀара Везачу Эло шуьца, дерриг а Шен дешнашка хьаьжжина, бинчу бертан цӀий ду», — элира цо.</verse>
				<verse number="9">Юха Муса а, АхӀарон а, Надаб а, АбихӀу а, исраилхойх кхузткъе итт къано а лам тӀе велира.</verse>
				<verse number="10">Царна исраилхойн Дела гира. Цуьнан когаш кӀелахь дезачу тӀулгийн экъа яра, стигал санна, цӀена а йолуш.</verse>
				<verse number="11">Цо исраилхошна юкъара хаьржинчу нахана зен ца дира. Нахана Дела а гира, цара хӀума а йиира, мала а мелира цигахь.</verse>
				<verse number="12">Юха Везачу Эло Мусага элира: «Со волчу лам тӀе хьала а валий, кхузахь саца. Айса нахана хьеха кечдина парзаш тӀехь долу тӀулган экъанаш лур ю Ас хьоьга».</verse>
				<verse number="13">Шен гӀоьнча ЮшаӀ а эцна, Делан лам тӀе хьалаволавелира Муса.</verse>
				<verse number="14">Къаношка цо элира: «Тхойша вухаваллалц кхузахь Ӏе. АхӀарон а, Хьор а шуьца хир ву, шен къасто дезаш гӀуллакх дерг царна тӀе гӀо».</verse>
				<verse number="15">Муса хьалаваьлча, лам мархо дӀахьулбира.</verse>
				<verse number="16">Везачу Элан олаллин нур Синай-лам тӀе охьадоьссира. Ялх дийнахь лам тӀехь марха лаьттира, ворхӀалгӀачу дийнахь Веза Эла Мусага кхайкхира мархи юкъара.</verse>
				<verse number="17">Исраилхошна гуш дара ламанан боххьехь, цӀе санна, догу Везачу Элан олаллин нур.</verse>
				<verse number="18">Муса, мархи юккъе а ваьлла, кхин а лакха хьалавелира лам тӀехула. Шовзткъа дийнахь а, буса а Ӏийра иза лам тӀехь.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="25">
				<verse number="1">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="2">«ДӀаала исраилхошка, Суна совгӀаташ да алий. Даггара сагӀа дала лууш лелачу хӀора стагера Суна лерина совгӀаташ схьаэца.</verse>
				<verse number="3">Аш схьаэца езаш йолу хӀуманаш хӀорш ю: деши а, дети а, цӀаста а,</verse>
				<verse number="4">сийна а, сирла-цӀен а, таьӀна-цӀен а эханг а, дуткъа кӀади а, газанан тӀаргӀа а,</verse>
				<verse number="5">цӀен басар хьаькхна йолу уьстагӀийн цӀоканаш а, хӀордан дийнатийн кӀеда тӀаьрсиг а, акацин дечиг а,</verse>
				<verse number="6">къуьданна зайтдаьтта а, къобалваран даьттанах а, хаза хьожа йогӀучу сегӀазах а туху хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а,</verse>
				<verse number="7">ийпадна а, некха тӀе уллучу безачу тӀоьрмагна а тӀехӀитто оникс цӀе йолу беза тӀулг а, кхидолу деза тӀулгаш а.</verse>
				<verse number="8">Нахе Суна цӀа дайта, тӀаккха Со царна юкъахь Ӏийр ву.</verse>
				<verse number="9">Ас хьайна ма-гайттара де и цӀа а, цу чуьра хӀуманаш а».</verse>
				<verse number="10">«Акацин дечигах тӀорказ де. Иза ши дол ахдол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а, цхьа дол ахдол лекха а хила деза.</verse>
				<verse number="11">Чухула а, тӀехула а цӀена деши лаца цунна. ТӀорказна тӀехула, цунна гонах, дашо сара лаца.</verse>
				<verse number="12">ТӀорказна йиъ дашо чӀуг а яй, беа когахь дӀачӀагӀъе уьш: шиъ цхьана агӀор, шиъ вукху агӀор.</verse>
				<verse number="13">Акацих хьокхий а дай, тӀехула деши лаца царна.</verse>
				<verse number="14">Хьокхий тӀорказан агӀонашкахь йолчу чӀагарех чекхдаха, цаьрца иза леладархьама.</verse>
				<verse number="15">ЧӀагарех чекхдаьхна а долуш, гуттар а тӀорказца хила деза хьокхий. Царна чуьра уьш дӀадаха ца могуьйту.</verse>
				<verse number="16">ТӀорказ чу Ас хьайга лун йолу экъанаш яхка, шуьца Ас бинчу бертан тоьшалла хилийтархьама.</verse>
				<verse number="17">Дала къинош дӀадоху негӀар а де цӀеначу деших. Иза ши дол ахдол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а хила деза.</verse>
				<verse number="18">Туьйсинчу деших негӀарца цхьаьна ши каруб-малик де, уьш негӀарна тӀехь шина агӀор хила деза.</verse>
				<verse number="19">Цхьа каруб-малик цхьана агӀор, важа вукху агӀор а долуш, и шиъ негӀарца дийнна цхьа хӀума хила деза.</verse>
				<verse number="20">Хьалаайинчу тӀемашца негӀар дӀа а хьулдеш, дуьхь-дуьхьал а, негӀарна тӀедирзина а хир ду и каруб-маликаш.</verse>
				<verse number="21">НегӀар тӀорказна тӀедилла. ТӀорказ чу Ас хьайна лун йолу а, бертан тоьшаллина йолу а экъанаш яхка.</verse>
				<verse number="22">Тоьшаллин тӀорказна тӀехь долчу шина каруб-маликана юккъехь, негӀарна тӀехула хьуна дуьхьал а вогӀур ву, хьоьга вист а хир ву Со. Цигахь Исраилан халкъана дан дезарг тӀедуьллур ду Ас хьоьгахула».</verse>
				<verse number="23">«Акацих стол е ши дол еха а, цхьа дол шуьйра а, цхьа дол ахдол лекха а.</verse>
				<verse number="24">Цунна гонах деши а лаций, тӀаккха гонах дашо сара лаца.</verse>
				<verse number="25">Цунна гонах гур бе кераюкъан шораллехь. Цунна тӀе а дашо сара лаца.</verse>
				<verse number="26">Стоьлана йиъ дашо чӀуг е, уьш цуьнан сенашкахь, беа кога тӀехь, дӀачӀагӀъе.</verse>
				<verse number="27">Стол дӀасалело хьокхий чекхдоху чӀагарш стоьлан гурана уллохь хила еза.</verse>
				<verse number="28">Хьокхий а акацих де, царна тӀехула деши лаца. Царна тӀехь лелор ю и стол.</verse>
				<verse number="29">Стоьлана тӀехӀитто бошхепаш а, еш а, кедаш а, боганаш а де, царна чу чагӀаран сагӀанаш доттархьама. ЦӀеначу деших е и хӀуманаш.</verse>
				<verse number="30">Цу стоьла тӀехь Суна хьалха гуттар а Суна лерина бепиг латтаде».</verse>
				<verse number="31">«ЦӀеначу деших стогар бе. Цуьнан бух а, гӀад а, цу тӀехь хуьлу зезагаш а (зуьгалгашца а, зазанашца а) цхьана декъах туьйсина хила деза.</verse>
				<verse number="32">Ялх га хила деза цунна тӀехь: кхо га цхьана агӀор, кхо га вукху агӀор.</verse>
				<verse number="33">Цхьана гаьнна тӀехь миндалан зезаган суьртехь кхо зезаг хила деза, зуьгалгашца а, зазанашца а, иштта кхо зезаг вукху гаьнна тӀехь а. Стогаран ялхе а гаьнна тӀехь хила деза уьш.</verse>
				<verse number="34">Миндалан зезаган суьртехь зуьгалгашца а, зазанашца а долу диъ зезаг хила деза стогаран гӀода тӀехь.</verse>
				<verse number="35">Стогаран гӀодах схьадолучу ялх гаьннах шинна кӀелахь цхьа зуьгалг хила еза, вукху шина гаьнна кӀелахь а цхьа зуьгалг хила еза, кхозлагӀчу шина гаьнна кӀелахь а цхьа зуьгалг хила еза.</verse>
				<verse number="36">Цу стогарх схьадовлу зуьгалгаш а, гаьннаш а стогарца цхьа дакъа долчу туьйсинчу цӀеначу деших дина хила деза.</verse>
				<verse number="37">ВорхӀ къуьда а бай, цунна тӀе бахка уьш, цаьрга стогаран хьалхара агӀо серлаяккхийта.</verse>
				<verse number="38">ЦӀеначу деших тукарш а, нойш а е цунна.</verse>
				<verse number="39">Берриг а шен гӀирсашца цхьана галин барамехь долчу цӀеначу деших бе и стогар.</verse>
				<verse number="40">Варелахь, лам тӀехь Ас хьайна гайтинчу кепехь белахь стогар».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="26">
				<verse number="1">«Делан цӀа шех дина долу четар дуткъачу кӀадин итт шаршух а, сийна а, сирла-цӀен а, таьӀна-цӀен а эхангах а де. КӀадеш тӀехь говзачу балхаца тӀетегна каруб-маликийн суьрташ хила деза.</verse>
				<verse number="2">ХӀора шаршун йохалла ткъе бархӀ дол, шоралла диъ дол хила еза. Шаршуш ерриш а цхьана барамехь хила еза.</verse>
				<verse number="3">Пхи шаршу цхьаьна а, важа пхи шаршу цхьаьна а вовшахтесна хила еза.</verse>
				<verse number="4">Сийначу кӀадих туьйдаргаш де хьалхарчу пхеаннах йистерачу шаршун цхьана агӀор, иштта де вукху пхеаннах йолчу йистерачунна а.</verse>
				<verse number="5">Хьалхарчу пхеаннах йолчу йистерачу шаршуна тӀехь шовзткъе итт туьйдарг хила деза, шолгӀачу пхеаннах йолчу йистерачунна тӀехь а оццул хила деза. Церан туьйдаргаш дуьхь-дуьхьал хила деза.</verse>
				<verse number="6">Шовзткъе итт дашо мӀара а яй, шаршуш цаьрца вовшахтаса, тӀаккха цхьа четар хир ду цунах.</verse>
				<verse number="7">Газанан тӀергӀах шаршуш е четарна тӀехула лаца. Уьш цхьайтта хила еза.</verse>
				<verse number="8">Цхьа шаршу йохалла ткъе итт дол, шоралла диъ дол хила еза. Ерриш а цхьана барамехь хила еза уьш.</verse>
				<verse number="9">Царах пхи шаршу къастийна вовшахтаса, важа ялх а къастийна вовшахтаса. ЙолхалгӀа шаршу, шалха а йиллий, четарна хьалха нисъе.</verse>
				<verse number="10">Пхеаннах йолчу йистерачу шаршун цхьана агӀор шовзткъе итт туьйдарг де, изза де ялханнах йолчу йистерачу шаршуна а.</verse>
				<verse number="11">Шовзткъе итт цӀестан мӀара а яй, уьш туьйдаргех дӀатийса, тӀаккха дерригенах а цхьа четар хир ду.</verse>
				<verse number="12">Четарна тӀетосучу шаршун совйолуш йолчух ах тӀехьарчу агӀонна чукхозуш йита.</verse>
				<verse number="13">Шаршуйн йохаллех совйолуш ерг цхьацца дол четаран шина агӀор кхозуш йита, четар хьулдархьама.</verse>
				<verse number="14">Ши кхалор е четарна тӀехула лаца — цхьаъ цӀен басар хьаькхна йолчу уьстагӀийн цӀоканех, важа хӀордан дийнатийн кӀедачу тӀаьрсигах.</verse>
				<verse number="15">Акацих ирахӀиттийна гураш кечде четарна.</verse>
				<verse number="16">Итт дол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а хила деза уьш.</verse>
				<verse number="17">ХӀора гуран ши зӀок хила еза, цхьаъ шолгӀачунна уллохь а йолуш.</verse>
				<verse number="18">Четаран къилбехьа йолчу агӀор ткъа гур бе.</verse>
				<verse number="19">Ткъа оцу гурашна шовзткъа дато бух бе: шиъ цхьана гурана — цуьнан шина зӀакарна, шиъ вукху гурана — цуьнан шина зӀакарна.</verse>
				<verse number="20">Четаран къилбаседехьа йолчу агӀор ткъа гур бе.</verse>
				<verse number="21">Царна шовзткъа дато бух бе, ши бух цхьана гурана а беш.</verse>
				<verse number="22">Четаран тӀехьарчу, малхбузехьа йолчу агӀор ялх гур кечбе.</verse>
				<verse number="23">Ши гур тӀехьарчу агӀор шина сонехь а кечбе.</verse>
				<verse number="24">Уьш лахахь вовшахтесна хила деза, ткъа лакхахь цхьана чӀагарх дӀатесна хила а деза. Шина сонехь болу и ши гур иштта бина хила беза.</verse>
				<verse number="25">Берриг а бархӀ гур хир бу, уьш тӀехӀитто ялхитта дато бух а болуш — хӀора гурана шишша бух.</verse>
				<verse number="26">Акацих хьокхий кечде: пхиъ цхьана агӀор долчу гурашна,</verse>
				<verse number="27">пхиъ вукху агӀор долчу гурашна, кхин пхиъ тӀехьарчу, малхбузехьарчу агӀор долчу гурашна.</verse>
				<verse number="28">Юккъехь болу хьокха гурашна юккъехула цхьана йистера вукху йисте чекхбала беза.</verse>
				<verse number="29">Гурашна тӀехула деши лаца, хьокхий чухӀитто чӀагарш а деших е, хьокхешна тӀехула а деши лаца.</verse>
				<verse number="30">Хьайна лам тӀехь гайтинчу кепара четар дӀахӀоттаде.</verse>
				<verse number="31">Сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а, дуткъачу кӀадих а хьалха уллу кирхьа де. Цу тӀехь говза дина каруб-маликийн суьрташ хила деза.</verse>
				<verse number="32">И кирхьа акацих бинчу беа бӀогӀамна тӀеолла. И бӀогӀамаш дешица кхелина а, шайна тӀехь дашо зӀакарш йолуш а, детих бинчу баххаш тӀехь лаьтташ а хила деза.</verse>
				<verse number="33">Четаран лакхахь уллу мӀерех дӀатаса и кирхьа. Цунна тӀехьа дӀахӀоттаде бартбаран тӀорказ. Цу кирхьано еза чоь уггар езачу чоьнах дӀакъастор ю.</verse>
				<verse number="34">Уггар езачу чохь долчу бартбаран тӀорказна тӀе негӀар дилла.</verse>
				<verse number="35">Кирхьанна арахьа четаран къилбаседехьа йолчу агӀор стол хӀоттае, цунна дуьхьал четаран къилбехьа йолчу агӀор стогар хӀоттабе.</verse>
				<verse number="36">Четарна чуволучу меттехь сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а, дуткъачу кӀадих а шаршу кечъе, тӀехь говзачу суьрташца юьйцина йолу.</verse>
				<verse number="37">И шаршу дӀаолла акацих пхи бӀогӀам кечбе, уьш дешица кхала. Царна тӀехь дашо мӀерий а де, и бӀогӀамаш тӀехӀитто пхи цӀестан бух а бе».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="27">
				<verse number="1">«Акацих сагӀа доккху кхерч бе. Иза беакӀов а болуш, бохалла а, шоралла а пхи дол хила беза, локхалла кхо дол хила беза.</verse>
				<verse number="2">Кхерчан еа маьӀӀехь цхьацца маӀа е, уьш цуьнца цхьана декъах а йойтуш. Кхерч цӀастанца кхала.</verse>
				<verse number="3">Цуьнца цхьаьна е юкъ чуйохка кхабанаш а, лело аьшкалш а, боганаш а, мӀерий а, кӀора чубухку нойш а. И хӀуманаш цӀастанах йина хила еза.</verse>
				<verse number="4">ЦӀастанах цаца бе кхерчана тӀебилла. Цецан еа маьӀӀехь цӀастанах цхьацца чӀуг е.</verse>
				<verse number="5">Кхерчан хӀазарна кӀел билла и цаца, кхерчана юккъе кхаччалц иза дӀа а нисбеш.</verse>
				<verse number="6">Кхерчана акацих хьокхий кечде, царна тӀе а цӀаста лаца.</verse>
				<verse number="7">Хьокхий чӀагаршна чу хӀиттаде, кхерч дӀахьочу хенахь уьш шина агӀор хилийта.</verse>
				<verse number="8">Юккъехь баьсса а болуш, аннех бе кхерч, Ас лам тӀехь хьайна ма-гайттара».</verse>
				<verse number="9">«Делан четаран керт нисъярхьама, шаршуш охка. Къилбехьа агӀор дуткъачу кӀадих йина шаршуш охка, церан йохалла бӀе дол хила еза.</verse>
				<verse number="10">Ткъа бӀогӀам а, ткъа цӀестан бух а хӀоттабе царна. БӀогӀамаш тӀера мӀерий а, царна тӀера дӀатосургаш а дато хила еза.</verse>
				<verse number="11">Иштта къилбаседехьа агӀор а бӀе дол еха шаршуш охка. Царна а ткъа бӀогӀам а, цӀестан ткъа бух а кечбе. БӀогӀамаш тӀера мӀерий а, дӀатосургаш а детих е.</verse>
				<verse number="12">Кертан шоралла, малхбузехьа агӀор, шовзткъе итт дол еха шаршуш охка. Царна итт бӀогӀам а, итт бух а кечбе.</verse>
				<verse number="13">Кертан шоралла, малхбалехьа агӀор, шовзткъе итт дол еха шаршуш охка. Царна а итт бӀогӀам а, итт бух а кечбе.</verse>
				<verse number="14">Цхьана агӀор, керта воьдучохь, йохаллина пхийтта дол хуьлуьйтуш шаршуш охка, царна кхо бӀогӀам а, кхо бух а кечбе.</verse>
				<verse number="15">Вукху агӀор а йохаллина пхийтта дол шаршуш охка, царна кхо бӀогӀам а, кхо бух а кечбе.</verse>
				<verse number="16">Кертан кевнна йохаллина ткъа дол хуьлуьйтуш, тӀехь тӀамарш а йолуш, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а, дуткъачу кӀадих а йина шаршуш охка. Царна биъ бӀогӀам а, биъ бух а кечбе.</verse>
				<verse number="17">Дерриш а кертана гонахара бӀогӀамаш детих йинчу дӀатосургашца вовшахтесна хила деза. Царна тӀера мӀерий детих дина хила деза, ткъа церан баххаш цӀастанах бина хила беза.</verse>
				<verse number="18">Керт йохалла бӀе дол, шоралла шовзткъе итт дол, локхалла пхи дол хила еза. Цунна оьхкина шаршуш дуткъачу кӀадих хила еза, бӀогӀамийн баххаш цӀестан хила деза.</verse>
				<verse number="19">Делан четар чохь лело гӀирсаш а, иза чӀагӀдеш тухуш долу хьостамаш а, керт чӀагӀдеш долу хьостамаш а цӀастанах дина хила деза».</verse>
				<verse number="20">«Исраилхошна тӀедилла, даго тоьлла цӀена зайтдаьтта да алий, стогар массо а хенахь богуш хилийта.</verse>
				<verse number="21">Гуламан четар чохь бартбаран тӀорказна хьалха оьллинчу кирхьанна арахьа хир бу стогар. АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а и стогар Везачу Элана хьалха латийна латто беза, сарахь дуьйна Ӏуьйре тӀекхаччалц. Ерриг а тӀейогӀу йолчу ханна исраилхойн тӀаьхьенашна тӀедиллина ду иза».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="28">
				<verse number="1">«Хьайн ваша АхӀарон а, цуьнан кӀентий а исраилхошна юкъара схьа а къастабай, царах Суна гӀуллакх деш болу динан дай бе. Уьш АхӀарон а, цуьнан кӀентий: Надаб а, АбихӀу а, ЭлиӀазар а, Итамар а хила беза.</verse>
				<verse number="2">Хьайн вешина АхӀаронна деза духарш де, цуьнан сий а, ларам а айархьама.</verse>
				<verse number="3">Цу балхана Ас похӀма деллачу говзачу нахе дӀаала, Суна гӀуллакх деш динан да хила иза къобалван, АхӀаронна духарш кечде алий.</verse>
				<verse number="4">Цара кечдан деза духарш хӀорш ду: некха тӀе уллу беза тӀоьрмаг а, ийпад а, тӀехула юху оба а, дуткъачу дуьйцинчу кӀадих коч а, чалба а, доьхка а. И деза духарш АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а дайта, Суна гӀуллакх деш динан дай уьш хилийта.</verse>
				<verse number="5">Пхьерашка деши а, сийна а, сирла-цӀен а, таьӀна-цӀен а эханг а, дуткъа кӀади а схьаэцийта.</verse>
				<verse number="6">Деших а, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а, дуткъачу кӀадих а ийпад цӀе йолу тӀехула юху бедар говзаллица кечъяйта цаьрга.</verse>
				<verse number="7">Белшашкахь ийпад дӀайоьхкуш ши гур хила беза, цаьрца ийпадан ши агӀо цхьаьнатесна хилийта.</verse>
				<verse number="8">Ийпадна тӀехула доьхкуш, иза ша санна дина долу доьхка хила деза. Деших а, сийначу а, сирла-цӀен а, таьӀна-цӀен а эхангах а, дуткъачу кӀадих а дина хила деза иза.</verse>
				<verse number="9">Оникс цӀе йолу ши беза тӀулг схьа а эций, царна тӀехь Исраилан кӀентийн цӀераш язъе:</verse>
				<verse number="10">ялх цӀе цхьана безачу тӀулга тӀехь, важа ялх вукху безачу тӀулга тӀехь, вокх-воккхачу кӀентан цӀе хьалха а язъеш.</verse>
				<verse number="11">МухӀар дечу пхьере шина тӀулга тӀехь Исраилан кӀентийн цӀераш а язъяйтина, дашо беттанаш чу хӀиттадайта и тӀулгаш.</verse>
				<verse number="12">Ийпадан гураш тӀехь чӀагӀъяйта и ши ботт. Цара Везачу Элана исраилхой дагахь латтор бу. Цунна хьалха АхӀарона шен белшаш тӀехь лелор ю и цӀераш, уьш дагахь латтийта.</verse>
				<verse number="13">Деших беттанаш е.</verse>
				<verse number="14">ЦӀеначу деших юьйцина ши зӀе а яй, уьш беттанаш тӀе дӀатийса».</verse>
				<verse number="15">«Говзачу балхаца некха тӀе уллу беза тӀоьрмаг а бе. Ийпад санна, деших а, сийначу а, сирла-цӀен а, таьӀна-цӀен а эхангах а, дуткъачу кӀадих а йина хила еза иза а.</verse>
				<verse number="16">ЕакӀов а, шалха а хила еза иза, йохалла а, шоралла а цхьа ше а йолуш.</verse>
				<verse number="17">Дашо беттанаш чохь деза тӀулгаш дахка безачу тӀоьрмагна тӀе беа могӀарехь. Цхьана могӀарехь рубин а, топаз а, изумруд а хилийта.</verse>
				<verse number="18">ШолгӀачу могӀарехь карбункул а, саппир а, алмаз а хилийта.</verse>
				<verse number="19">КхозлагӀчу могӀарехь яхонт а, агат а, аметист а хилийта.</verse>
				<verse number="20">БоьалгӀачу могӀарехь хризолит а, оникс а, яспис а хилийта. Дашо беттанаш чу хӀиттийна хила деза уьш.</verse>
				<verse number="21">ТӀулгаш шийтта хила беза Исраилан шийтта кӀентан цӀарах. ХӀора тӀулга тӀехь, мухӀарна тӀехь санна, Исраилан тайпанийн цхьацца цӀе язйина хила еза.</verse>
				<verse number="22">ЦӀеначу деших юьйцина зӀенаш е безачу тӀоьрмага тӀе таса.</verse>
				<verse number="23">Дашо ши чӀуг а яй, безачу тӀоьрмаган шина маьӀӀе дӀатаса уьш.</verse>
				<verse number="24">Юьйцина ши зӀе оцу шина чӀагарх дӀатаса.</verse>
				<verse number="25">Шина зӀенан важа ши юьхьиг хьалхарчу агӀор долчу ийпадан гурашна тӀехь йолчу шина баттах дӀатаса.</verse>
				<verse number="26">Дашо ши чӀуг а яй, безачу тӀоьрмаган чухуларчу, ийпадна уллохь йолчу шина маьӀӀе дӀатаса уьш. Ши дашо чӀуг а яй, безачу тӀоьрмагна чухула ийпад йолчу агӀор дӀатаса уьш.</verse>
				<verse number="27">Кхин а ши дашо чӀуг а яй, ийпадан гурана лахахьа, хьалха агӀор, доьхкарна тӀехула дӀатаса уьш.</verse>
				<verse number="28">Беза тӀоьрмаг шен чӀагаршца сийначу эханган тӀергаца ийпадан чӀагарех дӀабехка, ийпадан доьхкарна тӀехула а болуьйтуш, ийпадах дӀа а ца къостуьйтуш.</verse>
				<verse number="29">Ша Делан четар чу воьдуш, АхӀарона безачу тӀоьрмага тӀехь шен дагна уллохь Исраилан тайпанийн цӀераш лелор ю, Везачу Элана уьш массо а ханна дагахь латтийта.</verse>
				<verse number="30">Безачу тӀоьрмага тӀе дахка Урим а, Тумим а олу деза тӀулгаш. Везачу Элана хьалха АхӀарон хӀуттуш цуьнан дагна уллохь хир ду уьш. Ша Везачу Элана хьалха а волуш, исраилхошна хӀун дан деза билгалдаккхаран хӀуманаш шен дагна уллохь лелор ю АхӀарона».</verse>
				<verse number="31">«Ийпадаца юха оба е сийначу басахь.</verse>
				<verse number="32">Цунна юккъехь корта чекхбаккха Ӏуьрг хила деза. ЭтӀа ца этӀийта цу Ӏуьрган йистош, кӀади а лоцуш, дӀатега еза.</verse>
				<verse number="33">Обанан юьхах сийначу а, можачу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах дина оьргаш охка, царна юккъе гобаьккхина дашо горгалеш а тосуш.</verse>
				<verse number="34">Дашо горгали а, уьйраг а уллуш, кечъе обанан юх.</verse>
				<verse number="35">Оба АхӀаронна тӀехь хир ю иза волчуьра зов хазийта, Делан четаран езачу чоьнна чохь Везачу Элана хьалха хӀуттуш а, цу чуьра араволуш а иза ца кхалхийта.</verse>
				<verse number="36">ЦӀеначу деших экъа е. Цу тӀехь, мухӀар тӀехь санна, язде: „Везачу Элана къобалдинарг“.</verse>
				<verse number="37">Чалбанан хьалхарчу агӀор сийначу тӀергаца дӀатаса иза.</verse>
				<verse number="38">АхӀарона иза шен коьрта тӀехь лело еза. Нагахь исраилхоша даьхна сагӀанаш кхачам боцуш хилахь, нехан бехк цо шена тӀе лоцур бу. Веза Эла оцу сагӀанашна резахилийта, массо а ханна АхӀарона шен коьрта тӀехь лело еза и экъа.</verse>
				<verse number="39">Дуткъачу кӀадих коч йоза, иштта, чалба а, доьхка а де дуткъачу кӀадих. Доьхка тир яьккхина хила деза.</verse>
				<verse number="40">АхӀаронан кӀенташна а е кучамаш а, доьхкий а, коьртах йоьхку хӀуманаш а. Цу духарша церан сий а, ларам а хуьлуьйтур бу.</verse>
				<verse number="41">Хьайн вешина АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а тӀедуха и духарш. Царна тӀе даьтта а дуттуш, Суна леррина гӀуллакх дан къобалбе уьш, Сан дуьхьа уьш дӀа а къастош, тӀаккха Суна лерина гӀуллакх деш динан дай хир бу царах.</verse>
				<verse number="42">Дуткъачу кӀадих, гӀодаюкъара гӀогӀаш тӀе кхаччалц дегӀ хьулдеш, бедар кечъе царна.</verse>
				<verse number="43">И бедарш АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а тӀехь хила еза, уьш гуламан четар чу богӀуш а, езачу чоьнна чохь гӀуллакх дан сагӀа доккхучу кхерчана тӀе богӀуш а, царна тӀе бехк а биллина, уьш хӀаллак ца хилийтархьама. АхӀаронна а, цуьнан тӀаьхьенна а гуттаренна а тӀедиллина хӀума ду иза».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="29">
				<verse number="1">«Суна лерина гӀуллакх дан царах динан дай беш, ахь хӀара дан деза: кхиъна йогӀу старгӀа а, ши ка а схьабалабе (уьш массо а дерт доцуш хила деза),</verse>
				<verse number="2">совсаза бепиг а, зайтдаьтта тоьхначу демах дина совсаза бепиг а, зайтдаьтта хьаькхна дуткъа совсаза хьокхамаш а схьаэца. Уьш кӀенан демах дина хила деза.</verse>
				<verse number="3">Цхьана тускар чу бепиг а, хьокхамаш а дахка, ткъа иза старгӀица а, шина коьмаца а цхьаьна схьада.</verse>
				<verse number="4">АхӀарон а, цуьнан кӀентий а, гуламан четаран неӀаре схьа а балабай, хица лийчабе.</verse>
				<verse number="5">Духарш схьа а эций, АхӀаронна тӀе коч а, оба а, ийпад а юха, некха хьалха беза тӀоьрмаг а олла, юкъах ийпада тӀехула доьхка а дехка.</verse>
				<verse number="6">Цуьнан коьрта чалба а тилла, ткъа цу тӀехь иза Везачу Элана лерина ву аьлла таж а чӀагӀде.</verse>
				<verse number="7">Къобалдан лерина долу даьтта, схьа а эций, АхӀаронан коьрта тӀе дотта, иза къобал а веш.</verse>
				<verse number="8">Схьа а балабай, цуьнан кӀенташна тӀе кучамаш юха.</verse>
				<verse number="9">Царна юкъах доьхкарш а дехка, кортош тӀе кӀадинан асанаш а яхка, тӀаккха царах ерриг а тӀейогӀучу ханна динан дай хир бу. Иштта АхӀарон а, цуьнан кӀентий а Суна леррина гӀуллакх дан къобалбийр бу ахь.</verse>
				<verse number="10">СтаргӀа гуламан четарна хьалха схьаялае. АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а старгӀин коьрта тӀе куьйгаш дохкур ду.</verse>
				<verse number="11">Делан цӀенна хьалха, Везачу Элана а гуш, урс хьакха цу старгӀина.</verse>
				<verse number="12">СтаргӀин цӀий хьайн пӀелгаца сагӀа доккхучу кхерчан маӀаш тӀе а хьакха, диснарг кхерчана улло охьа а дотта.</verse>
				<verse number="13">Чоконаш хьулъеш мел йолу мохь а, доӀах тӀехь йолу мохь а, шайна тӀера махьарца ши жим а, схьа а эций, сагӀа доккхучу кхерча тӀехь багабе.</verse>
				<verse number="14">СтаргӀин жижиг а, неӀ а, боьхаллаш а, шайн меттаматтера ара а яхий, ягае. Иза къинах луш долу сагӀа ду.</verse>
				<verse number="15">Юха шина коьмах цхьаъ схьабалабе. АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а цуьнан коьрта тӀе куьйгаш дохкур ду.</verse>
				<verse number="16">Коьмана урс а хьакхий, цуьнан цӀий схьа а эций, сагӀа доккхучу кхерчан еа агӀонна тӀе цинцаш тоха.</verse>
				<verse number="17">Ка дакъошка бекъа а бекъий, цуьнан чоконаш а, когаш а била. Йилина меженаш дакъошна а, коьртана а тӀеяхка.</verse>
				<verse number="18">Берриг а ка сагӀа доккхучу кхерча тӀехь багабе. Иза дийнат дагоран цӀера тӀехь даьккхина сагӀа ду, цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю.</verse>
				<verse number="19">Важа ка а схьабалабе. АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а куьйгаш цуьнан коьрта тӀе дохкур ду.</verse>
				<verse number="20">Коьмана урс а хьакхий, цуьнан цӀийх цхьадерг АхӀаронан а, цуьнан кӀентийн а аьтту лерган дуьмана тӀе а, аьтту куьйган а, коган а нана-пӀелга тӀе а хьакха. Юха сагӀа доккхучу кхерчан еа агӀонна тӀе цӀийн цинцаш тоха.</verse>
				<verse number="21">Къобалдаран цхьажимма зайтдаьтта а, сагӀа доккхучу кхерча тӀера цхьажимма цӀий а, схьа а эций, АхӀаронна а, цуьнан бедаршна а цинцаш тӀетоха, цуьнан кӀенташна а, церан бедаршна а цинцаш тӀетоха. ТӀаккха иза а, цуьнан бедарш а, шайн бедаршца цуьнан кӀентий а базбина хир бу.</verse>
				<verse number="22">АхӀарон вазваран ка иза болу дела, коьман мохь а, цуьнан дума а, чоконан мохь а, доӀахана тӀера мохь а, ши жим а, царна тӀера мохь а, аьтту гӀогӀ а схьаэца.</verse>
				<verse number="23">Везачу Элана хьалха дӀахӀоттийначу тускар чуьра совсаза цхьа бепиг а, зайтдаьтта тоьхначу демах дина совсаза цхьа бепиг а, зайтдаьтта хьаькхна дуткъа совсаза цхьа хьокхам а схьаэца.</verse>
				<verse number="24">И дерриг а АхӀаронан а, цуьнан кӀентийн а кара дилла. ТӀаккха цаьрга и хӀуманаш Везачу Элана лерина шатайпа сагӀа санна хьалаайийта.</verse>
				<verse number="25">Юха, цаьргара схьа а эций, сагӀа доккхучу кхерча тӀехь, дийнат дагоран сагӀина тӀехь, ягае уьш, Везачу Элана тамехь хьожа кхетийта. Иза цӀера тӀехь даьккхина сагӀа ду.</verse>
				<verse number="26">АхӀарон вазваран коьман накха схьа а эций, Везачу Элана лерина шатайпа сагӀа санна хьалаайа иза.</verse>
				<verse number="27">Вазваран коьмах АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а лерина дакъош схьакъастаде Суна: хьалаайина накха а, гӀогӀ а.</verse>
				<verse number="28">ТӀейогӀу йолчу хенахь исраилхоша гуттар а АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а дӀалун долу дакъош хир ду уьш. И сацам Ас гуттаренна а бина. И дакъош исраилхоша Суна луш долу совгӀат ду, цара бертан сагӀанаш дохучу хенахь.</verse>
				<verse number="29">АхӀаронна дина деза духарш цуьнан кӀенташна дуьсур ду, и духарш шайна тӀехь а долуш, уьш, тӀе даьтта а дуттуш, Суна леррина гӀуллакх дан къобалбархьама.</verse>
				<verse number="30">ВорхӀ дийнахь и духарш лело деза АхӀаронан метта веанчу цуьнан кӀентех волчу а, гуламан четаран езачу чоьнахь Суна гӀуллакх дан цу чу воьдун волчу а динан дас.</verse>
				<verse number="31">АхӀарон вазваран ка схьа а эций, цунах долу жижиг езачу меттехь кхехкаде.</verse>
				<verse number="32">Гуламан четаран неӀарехь цу коьман жижиг а, тускар чуьра дисина долу бепиг а даа деза АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а.</verse>
				<verse number="33">АхӀаронан а, цуьнан кӀентийн а къинош дӀадахаран Ӏадатехь, Суна хьалха гӀуллакх дайта уьш къобалбан а, уьш базбан а йолчу хенахь, лелабо и кхача. Кхиволчо и кхача баа мегар дац, иза беза хиларна.</verse>
				<verse number="34">Нагахь санна цу жижигах а, баьпках а Ӏуьйре тӀекхаччалц хӀума дисахь, иза дагаде. Диснарг даа мегар дац, хӀунда аьлча иза беза кхача бу.</verse>
				<verse number="35">АхӀаронца а, цуьнан кӀенташца а дан дезарг Ас хьайна тӀе-ма-диллара кхочушде дерриг а. Суна леррина гӀуллакх дан уьш къобалбар ворхӀ дийнахь дӀадахьа деза.</verse>
				<verse number="36">ХӀора дийнахь цхьацца старгӀа, е а йийна, къинна дуьхьал сагӀа санна яккха, къа дӀадаккхархьама а, сагӀа доккху кхерч цӀанбархьама а. Кхерча тӀе даьтта дотта, иза беза хилийта.</verse>
				<verse number="37">ВорхӀ дийнахь иштта къа дӀадоккху сагӀанаш даха, кхерч баз а беш. ТӀаккха иза чӀогӀа беза хир бу. Дерриг а кхерчах хьакхаделларг деза хир ду».</verse>
				<verse number="38">«ХӀора дийнахь сагӀа доккхучу кхерча тӀехь цхьа шо кхаьчна ши Ӏахар сагӀина боккхур бу ахь.</verse>
				<verse number="39">Цхьа Ӏахар Ӏуьйранна баккха, важа сарахь баккха.</verse>
				<verse number="40">Хьалхарчу Ӏахарца иштта сагӀанаш даха: кхачанан сагӀа санна хӀинан доьалгӀа дакъа тоьлла долчу зайтдаьттанца эдина бархӀ кад дама, ткъа чагӀаран сагӀа санна биъ кад чагӀар.</verse>
				<verse number="41">ШолгӀа Ӏахар сарахь, сагӀа санна баккха, ткъа цуьнца хьалхарчуьнца санна долу кхачанан сагӀа а, чагӀаран сагӀа а даккха. Иза цӀера тӀехь даьккхина сагӀа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь хир ю.</verse>
				<verse number="42">Иштта дагоран сагӀа аш гуттар а даккха деза Везачу Элана хьалха, гуламан четарна чу волучохь. Цигахь, шуна хьалха а хӀуттуш, хьоьца къамел дийр ду Ас.</verse>
				<verse number="43">Цу меттехь исраилхошна хьалха хӀуттур ву Со, Сан олаллин нуьро цу меттигах еза меттиг йийр ю.</verse>
				<verse number="44">Гуламан четар а, сагӀа доккху кхерч а базбийр бу Ас. АхӀарон а, цуьнан кӀентий а Ас дӀакъастор бу, цаьрга Сайна динан дайшка санна гӀуллакх дайта.</verse>
				<verse number="45">Исраилхошна юкъахь Ӏийр ву Со, церан Дела а хир ву Со.</verse>
				<verse number="46">Царна хуур ду Со церан Веза Дела вуйла, царна юкъахь Ӏархьама, уьш Мисарара арабаьхна волу. Со церан Веза Дела ма ву».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="30">
				<verse number="1">«Акацих хаза хьожа йогӀу хӀума яго кхерч бе.</verse>
				<verse number="2">Иза беакӀов хила беза, цхьа дол беха а, цхьа дол шуьйра а, ши дол лекха а болуш. Кхерчан еа маьӀӀехь маӀаш хила еза, кхерчаца цхьаьнахоттаелла а йолуш.</verse>
				<verse number="3">ЦӀена деши лаца цунна тӀехула а, гонах а, маӀашна тӀе а. Кхерчана гонах дашо сара лаца.</verse>
				<verse number="4">Серана кӀелахь цуьнан шинна а агӀор деших ши чӀуг е, вукху агӀор а е иштта ши чӀуг. Кхерч лело хьокхий чекхдаха деза цу чӀагарех.</verse>
				<verse number="5">Хьокхий а акацих де, тӀехула деши а лоцуш.</verse>
				<verse number="6">Тоьшаллин тӀорказна хьалха оьллинчу кирхьанна сехьа агӀор хӀоттабе и кхерч. Тоьшаллин тӀорказна тӀехула къинош дӀадахаран негӀарна дуьхьал ду иза, Со хьуна дуьхьал хӀуттучу меттехь.</verse>
				<verse number="7">Цу кхерчана тӀехь АхӀарона хаза хьожа йогӀу хӀума ягор ю. ХӀора Ӏуьйранна, къуьданаш цӀандечу хенахь, цу кхерчана тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀума яго еза АхӀарона.</verse>
				<verse number="8">Сарахь а, ша къуьданаш латош, оцу кхерчана тӀехь яго еза цо хаза хьожа йогӀу хӀума. ТӀейогӀу йолчу хенахь Везачу Элана хьалха аш гуттар а дан дезаш ду иза.</verse>
				<verse number="9">Цу кхерча тӀехь кхин йолу хӀума ма ягае, дийнаташ дагоран а, кӀен а сагӀанаш ма даха цу тӀехь, иштта, чагӀаран сагӀа ма дитта цу тӀе.</verse>
				<verse number="10">Къинна дуьхьал даьккхинчу сагӀин цӀий а эцна, шарахь цкъа АхӀарона оцу кхерчан маӀаш тӀе хьакха деза и цӀий, кхерч цӀанбархьама. Шуна тӀаьхьенна гуттаренна а шарахь цкъа кхерч иштта цӀанбан безаш бу. Везачу Элана хьалха уггар беза кхерч бу иза».</verse>
				<verse number="11">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="12">«Айхьа исраилхой багарбечу хенахь хӀоранга а шен синах Везачу Элана мах балийта, цу хенахь царна юкъахь кхераме хӀумма а ца хилийтархьама.</verse>
				<verse number="13">ХӀораммо а, ша вагарвечу хенахь, ахшекхал дала деза, дезачу шекхале хьаьжжина (цхьана дезачу шекхала чу ткъа гер догӀу). И ахшекхал Везачу Элана луш долу сагӀа ду.</verse>
				<verse number="14">Ткъа шарал тӀехваьлла волчо хӀораммо а Везачу Элана и сагӀа дала деза ша вагарвечу хенахь.</verse>
				<verse number="15">Хьал долчо сов а ца луш, къечо кӀезиг а ца луш, ахшекхал шен сих мах бала беза Везачу Элана хӀораммо а.</verse>
				<verse number="16">Исраилхошкара схьаэцна и дети гуламан четаран гӀуллакхна леладе. Везачу Элана хьалха исраилхошна дагахь лаьттар ду иза, шайн синойх белла мах буйла хууш».</verse>
				<verse number="17">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="18">«ЦӀастанан юьхь-куьгдуьлург е цӀано ян, цӀастанах цуьнан бух а бе. Иза гуламан четарна а, сагӀа доккхучу кхерчана а юккъе а хӀоттаяй, цу чу хи дотта.</verse>
				<verse number="19">АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а цу чуьра долчу хица шайн куьйгаш а, когаш а дилийта.</verse>
				<verse number="20">Шаьш гуламан четар чу боьлхуш, дегӀах хи кхарза деза цара бала ца балархьама. Иштта дан деза шайн гӀуллакх дан сагӀа доккхучу кхерча тӀебоьдучу хенахь а, Везачу Элана цӀера тӀехь сагӀа даккхархьама.</verse>
				<verse number="21">Бала ца балархьама шайн куьйгаш а, когаш а хица дила деза цара. Царна а, церан тӀаьхьенашна а гуттаренна а тӀедиллина ду иза».</verse>
				<verse number="22">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="23">«Хаза хьожа йогӀу уггар тоьлла хӀуманаш схьаэца: шийтта герка коча деза даьтта а, цуьнан ахбарам я ялх герка хаза хьожа йолу корица а, ялх герка хаза хьожа йолу эрз а,</verse>
				<verse number="24">шийтта герка кассия-диттах даьккхина даьтта а, ялхитта кад зайтдаьтта а.</verse>
				<verse number="25">Оцу дерригенах а тӀедуттуш долу а, духӀиш кечдаран пхьеро эдинарг санна долу а деза даьтта кечде. Иза къобалваран деза даьтта хир ду.</verse>
				<verse number="26">Гуламан четарна а, тоьшаллин тӀорказна а,</verse>
				<verse number="27">стоьлана а, цу тӀехь лаьттачу хӀуманашна а, стогарна а, цуьнан гӀирсана а, хаза хьожа йолу хӀума ягочу кхерчана а,</verse>
				<verse number="28">дийнаташ дагоран сагӀа доккхучу кхерчана а, цуьнан гӀирсана а, цӀано ечу юьхь-куьгдуьлургана а, цуьнан бухана а тӀе дотта иза.</verse>
				<verse number="29">Иштта язъе и хӀуманаш, тӀаккха уьш чӀогӀа еза хир ю. Дерриг а царах хьакхалуш дерг деза хир ду.</verse>
				<verse number="30">АхӀарон а, цуьнан кӀентий а, тӀе даьтта а доттий, базбе, Суна гӀуллакх деш динан дай царах хилийта.</verse>
				<verse number="31">Исраилхошка дӀаала: „Шун тӀаьхьенашкахь Суна лерина долу къобалваран деза даьтта хир ду иза.</verse>
				<verse number="32">Хийрачу нехан догӀмашна тӀе иза дотта мегаш дац, кхидолчу Ӏалашонашна цуьнан барамех эдина даьтта а дан мегар дац. Иза чӀогӀа деза ду, шуна деза хила а деза иза.</verse>
				<verse number="33">Цунах тера даьтта а кечдина, иза хийрачу стагана тӀе дуттург шен халкъана юкъара эккхор ву“».</verse>
				<verse number="34">Везачу Эло Мусага элира: «Хаза хьожа йогӀу сегӀазаш схьаэца: стакти а, оних а, халван а, цӀена ливан а цӀе йолу хӀуманаш. Ерриг а цхьана барамехь хила еза.</verse>
				<verse number="35">Хаза хьожа йогӀу а, духӀиш кечдаран пхьеро эдинарг санна долу а сегӀаз кечде цу хӀуманех. Цу чу туьха таса, иза цӀена а, деза а хилийтархьама.</verse>
				<verse number="36">Цунах цхьа дакъа, кегийра ата а атий, гуламан четар чохь, Со хьайна дуьхьал вогӀун волчохь, тоьшаллин тӀорказна хьалха дилла. Шуна чӀогӀа еза хӀума хир ю иза.</verse>
				<verse number="37">И санна хаза хьожа йогӀу сегӀаз шайна ма делаш, Везачу Элана лерина бен хила йиш яц и еза хӀума.</verse>
				<verse number="38">Цуьнан хьожа кхетархьама цунах тера сегӀаз кечдинарг шен халкъана юкъара эккхор ву».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="31">
				<verse number="1">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="2">«Ас хаьржира ЯхӀудан тӀаьхьенах волчу Хьоран кӀентан Урин кӀант Бацалиал.</verse>
				<verse number="3">Ас иза Делан Синах вуьзна. Муьлхха а хӀума ян похӀма а, говзалла а, хаар а Ас делла цунна:</verse>
				<verse number="4">говзачу куьцан хьесап дан а, и куц деших а, детих а, цӀастанах а дан а,</verse>
				<verse number="5">дезачу тӀулгах а, дечигах а хӀуманаш кечъян а, мел болу говза болх бан а.</verse>
				<verse number="6">Данан тӀаьхьенах волу Ахьисамахан кӀант ОхӀлиаб велира Ас цунна гӀоьнна. ХӀора пхьерана Ас хьекъал а, говзалла а делира, Айса хьуна тӀедиллинарг цаьрга кхочушдайта.</verse>
				<verse number="7">Цара дийр ду гуламан четар а, тоьшаллин тӀорказ а, цу тӀе негӀар а, четаран берриг а гӀирс а,</verse>
				<verse number="8">стол а, цуьнан гӀирс а, цӀеначу деших болу стогар а, цуьнан мел болу гӀирс а, хаза хьожа йогӀу хӀума яго кхерч а,</verse>
				<verse number="9">дийнаташ дагоран сагӀа доккху кхерч а, цуьнан мел болу гӀирс а, юьхь-куьгдуьлург а, цуьнан бух а,</verse>
				<verse number="10">динан дайн деза духарш а (Ӏамал ечу хенахь динан да волчу АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а тӀедуха дезаш долу деза духарш),</verse>
				<verse number="11">къобалваран даьтта а, четаран езачу чоьнна хаза хьожа йогӀу сегӀаз а — дерриг а дийр ду цара, Ас хьоьга ма-аллара».</verse>
				<verse number="12">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="13">«ДӀаала исраилхошка иштта: „Сан шоьтан садоӀу денош ларде, хӀунда аьлча тӀейогӀуш йолчу тӀаьхьенашна иза Суна а, шуна а юкъахь шатайпа билгало хир ю шуна хаийта, шух деза халкъ деш волу Веза Эла Со вуйла.</verse>
				<verse number="14">Шоьтан садоӀу де ларде, хӀунда аьлча иза шуна деза ду. Иза сийсаздинарг вуьйр ву, цу дийнахь болх беш верг шен халкъана юкъара эккхор ву.</verse>
				<verse number="15">Ялх дийнахь болх бе, ткъа ворхӀалгӀа де — Везачу Элан дуьхьа дӀакъастош долу дуьззина садаӀаран шоьтан де ду. Шотдийнахь болх беш верг муьлхха а вен веза.</verse>
				<verse number="16">Массо а хенахь исраилхоша лардан деза шоьтан садоӀу де, шайн тӀаьхьенашкахь а иза лоруш, гуттар а хир болу барт санна.</verse>
				<verse number="17">Иза Суна а, Исраилан халкъана а юкъахь йолу шатайпа билгало ю ерриг а тӀейогӀу йолчу ханна, хӀунда аьлча Везачу Эло ялх дийнахь кхоьллина стигал а, латта а, ткъа ворхӀалгӀачу дийнахь Цо, Ша динчу гӀуллакхех паргӀат а ваьлла, садаьӀна“».</verse>
				<verse number="18">Синай-лам тӀехь Мусаца къамел чекх а даьккхина, цунна Шен куьйгаца язйина йолу тӀулган ши экъа елира Везачу Эло.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="32">
				<verse number="1">Муса лам тӀера чу ца вуссуш дуккха а хан яьлча, халкъо, АхӀаронна гонах а гулделла, элира: «Тхо Мисарара арадаьхначу Мусана хӀун хилла тхуна ца хаьа, цундела, хьалха а ваьлла, тхо дӀадуьгун долу дела ве тхуна».</verse>
				<verse number="2">АхӀарона элира нахе: «Шайн зударийн а, кӀентийн а, йоӀарийн а лергех йохку дашо чӀагарш, схьа а яхий, со волчу схьая».</verse>
				<verse number="3">Дерриг а халкъо, шайн лергашкара дашо чӀагарш схьа а яьхна, уьш АхӀаронна схьаеара.</verse>
				<verse number="4">Нехан карара уьш схьа а эцна, лала а йина, царах старгӀин сурт дира цо, уьрсаца иза то а деш. ТӀаккха халкъо бохура: «Хьо Мисарара арадаьккхина, хьан дела ву хӀара, Исраилан халкъ!»</verse>
				<verse number="5">Иза ган а гина, ша динчу суьртана хьалха сагӀа доккху меттиг а кечйина, АхӀарона дӀахаийтира: «Кхана Везачу Элана лерина деза де хир ду».</verse>
				<verse number="6">ШолгӀачу дийнахь, хьалххе хьала а гӀевттина, дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш дехира цара. Юха, яа а, мала а охьа а хевшина, шайн самукъадаккха хьалагӀевттира уьш.</verse>
				<verse number="7">Везачу Эло Мусага элира: «Кхузара чувосса сихло, ахь Мисарара арадаьккхина хьан халкъ телхина ду.</verse>
				<verse number="8">Аса тӀедиллинчун новкъара сиха юхабевли уьш. Деших старгӀин сурт а дина, цунна, сагӀанаш а даьхна, Ӏибадат дира цара. Цара боху: „Хьо Мисарара арадаьккхина, хьан дела ву хӀара, Исраилан халкъ!“»</verse>
				<verse number="9">Везачу Эло Мусага элира: «Суна гина и халкъ, ткъа иза аьрха ду.</verse>
				<verse number="10">ХӀинца вита Со, царна Сан оьгӀазло карзахъялийтархьама, Соьга уьш хӀаллакбайтархьама. Ткъа хьох доккха халкъ кхуллур ду Ас».</verse>
				<verse number="11">Амма Мусас шен Везачу Деле дехар дира: «Веза Эла, Айхьа боккхачу ницкъаца а, ондачу куьйгаца а Мисарара арадаьккхинчу Хьайн халкъана тӀе Хьайн оьгӀазалла иштта хӀунда юссуьйту Ахь?</verse>
				<verse number="12">Мисархошка хӀунда бохуьйтур ду: „Уьш Мисарара Цо мекарлонца арабаьхна, лаьмнашкахь уьш байа а, лаьтта тӀера хьаькхна дӀабаха а“. Хьайн оьгӀазло дӀа а яккхий, дохко а валий, хӀаллак ма дехьа Хьайн халкъ.</verse>
				<verse number="13">Дагабахкийтахьа ИбрахӀим а, Исхьакх а, Исраил а. Хьайх чӀагӀо а еш, Ахь цаьрга элира: „Стигалара седарчий санна, дукха тӀаьхье лур ю Ас хьуна. Айса шуна чӀагӀо йина хӀара латта шун тӀаьхьенашна дӀа а лур ду, иза гуттар а церан долахь хир ду“».</verse>
				<verse number="14">ТӀаккха Веза Эла дохковелира Ша иштта ойла ярна. Ша халкъана дийр ду аьлла зулам ца дира Цо.</verse>
				<verse number="15">Муса лам тӀера чувоьссира, шен карахь тӀулгах йина тоьшаллин ши экъа а йолуш. Цу экъанашна тӀехь шинна а агӀор яздина йозанаш дара.</verse>
				<verse number="16">И экъанаш хилар Делан болх бара, царна тӀехь долу йоза а Дала яздина дара.</verse>
				<verse number="17">Наха ен гӀовгӀанаш а хезна, ЮшаӀа Мусага элира: «ТӀеман маьхьарий ду вайн меттамотт болчохь».</verse>
				<verse number="18">Амма Мусас жоп делира: «Толам боккхучийн маьхьарий а дац уьш, эшочийн тийжамаш а бац, суна хезаш дерш эшарш лоькхучийн аьзнаш ду».</verse>
				<verse number="19">Меттамотт болчу улло а веана, старгӀин сурт а, хелхабуьйлу нах а шена гича, иза чӀогӀа оьгӀазвахара. Шен карара экъанаш ламанан кӀажехь охьа а кхиссина, йохийра цо.</verse>
				<verse number="20">Цара йина старгӀа схьа а эцна, иза яга а йина, цунах бухадисина дерг, ахьа а аьхьна, хи чу тесира Мусас. Юха и хи исраилхошка дӀамалийтира цо.</verse>
				<verse number="21">«ХӀокху наха хьуна хӀун дина, сел чӀогӀа къа ахь кхаьрга латадайта?» — аьлла, хаьттира Мусас АхӀароне.</verse>
				<verse number="22">«ОьгӀаз ма гӀолахь, сан эла, — аьлла, жоп делира АхӀарона, — хьуна ма хаьа, хӀара халкъ вониг дан атта дӀадоьрзийла.</verse>
				<verse number="23">Наха соьга элира: „Тхо Мисарара арадаьхначу Мусана хӀун хилла тхуна ца хаьа, цундела, хьалха а ваьлла, тхо дӀадуьгун долу дела ве тхуна “.</verse>
				<verse number="24">Ас цаьрга элира: „Шайгахь долчара деши схьало“, — аьлла. Цара схьаделча, ас иза цӀерга кхоьссира, цунах хӀара старгӀа хилира».</verse>
				<verse number="25">Мусана гира халкъан эргӀаддалар, АхӀарона цуьнан дола цадар бахьана долуш хиллера иза. Цуьнан мостагӀашна цу халкъах кхарда меттиг баьллера хӀинца.</verse>
				<verse number="26">Шайн меттаматтан кевнехь дӀа а хӀоьттина, Мусас элира: «Везачу Элан верг суна тӀевола!» Берриг а левихой цунна тӀебахара.</verse>
				<verse number="27">Цо элира цаьрга: «Исраилан Везачу Дала иштта боху: „ХӀора а, шен тур юкъах а дехкий, кху кевнера вукху кевне кхаччалц дӀа а гӀой, юхавола, хӀораммо а шен ваша а, доттагӀа а, уллораниг а ве“».</verse>
				<verse number="28">Мусас аьлларг кхочушдира левихоша, цу дийнахь вийнарг кхо эзар гергга стаг вара.</verse>
				<verse number="29">ТӀаккха Мусас элира цаьрга: «Тахана шаьш Везачу Элана лерина схьакъастийра аша, хӀунда аьлча шайн кӀенташна а, вежаршна а дуьхьалдевлира шу. Иза бахьанехь Цо шу декъалдина».</verse>
				<verse number="30">ШолгӀачу дийнахь Мусас халкъе элира: «Аша латийнарг доккха къа ду. ХӀинца Веза Эла волчу хьалавер ву со, шун къинах долу гечдар схьаэца там бу ас».</verse>
				<verse number="31">Веза Эла волчу юха а веана, Мусас элира: «Цу халкъо доккха къа латийна, Шайна дашо дела а вина.</verse>
				<verse number="32">ХӀинца гечдехьа царна. Амма нагахь Ахь геч ца дахь, со а дӀавайалахь Айхьа тӀеязвинчу Хьайн тептар тӀера».</verse>
				<verse number="33">Везачу Эло Мусага элира: «Сайна дуьхьал къа латийнарг Ас Сайн тептар тӀера дӀавойур ву.</verse>
				<verse number="34">ХӀинца, дӀа а гӀой, Ас хьайга аьллачу метте и халкъ дӀадига. Сан Малик хьуна хьалхадаьлла гӀур ду. ТаӀзар даран дийнахь Ас оцу нахана таӀзар дийр ду, цара латийна и къа бахьана долуш».</verse>
				<verse number="35">АхӀарона дина старгӀин сурт бахьана долуш, халкъана таӀзар дира Везачу Эло.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="33">
				<verse number="1">Везачу Эло Мусага элира: «Хьо а, ахьа Мисарара арадаьккхина халкъ а кхузара дӀагӀо. „Хьан тӀаьхьенашна лур ду Ас иза“, — бохуш, ИбрахӀимна а, Исхьакхана а, Якъубана а чӀагӀо йинчу лаьтта тӀе гӀо хӀинца.</verse>
				<verse number="2">Ас хьуна хьалхадаьккхина Малик а дохуьйтур ду, канаӀанхой а, эмархой а, хьетахой а, перезахой а, хьаьвихой а, явсайхой а лохкур а бу.</verse>
				<verse number="3">Шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тӀе кхочур ду шу. Со шуьца вогӀур вац, новкъахь шу хӀаллак ца дархьама, хӀунда аьлча шун халкъ чӀогӀа аьрха ду».</verse>
				<verse number="4">И гӀайгӀане дешнаш а хезна, нах тийжа хӀиттира, цхьаммо а шен дашо хӀуманаш дегӀа тӀе ца оьхкира.</verse>
				<verse number="5">ХӀунда аьлча Везачу Эло Мусага аьллера: «ДӀаала исраилхошка: „Шу аьрха халкъ ду. Цхьана муьрана Со шуьца дӀавеача а, Ас атта хӀаллакдийр дара шу. Шайна тӀера дашо хӀуманаш схьаяха. Со хьожур ву шуна хӀун дан деза“».</verse>
				<verse number="6">Иштта Хьариб-ломана уллохь исраилхоша шайна тӀера дашо хӀуманаш схьаехира.</verse>
				<verse number="7">Шайн меттаматтана юьстахо четар хӀоттийра Мусас. Цунах цо гуламан четар элира. Везачу Элах хӀора дагавала лууш верг шайн меттаматтана арахьа долчу цу четарна чу воьдура.</verse>
				<verse number="8">Муса гуламан четарна тӀеволавелча, дерриг а халкъ хьалагӀоттура. ХӀора а, шен четарна хьалха а хӀуттий, Мусана тӀаьхьа хьоьжуш Ӏара, иза четарна чу ваххалц.</verse>
				<verse number="9">Муса четарна чу вахча, мархин бӀогӀам, охьа а богӀий, четарна чу воьдучохь соцура, тӀаккха Везачу Эло Мусаца къамел дора.</verse>
				<verse number="10">ХӀоразза а гуламан четарна хьалха лаьтта мархин бӀогӀам халкъана гича, хӀора а лохха охьатаьӀара шен четарна хьалха лаьттачохь.</verse>
				<verse number="11">Везачу Эло Мусаца юьхь-дуьхьал къамел дора, цхьаммо шен доттагӀчуьнца деш санна. Юха Муса шайн меттамотт болчу схьавогӀура, ткъа цуьнан гӀоьнча, Нунин кӀант ЮшаӀ, гуламан четарна уллора цкъа а дӀа ца волура.</verse>
				<verse number="12">Мусас элира Везачу Эле: «Ахь боху соьга, хӀара халкъ дӀадига, амма соьца мила вохуьйтур ву ца аьлла Ахь, „Суна цӀарца хьо вевзаш ву, Со хьуна реза ву“, — Айхьа аьллашехь.</verse>
				<verse number="13">Ткъа нагахь Хьо суна резавелахь, Хьайн ойланаш хаийтахьа суна, Хьо суна вовзархьама а, Хьо суна кхидӀа резахилийтархьама а. Дагадаийтахьа хӀара къам Хьайн долахь долу халкъ хилар».</verse>
				<verse number="14">Везачу Эло элира цуьнга: «Со-со вогӀур ву хьоьца, Ас хьуна синтем лур бу».</verse>
				<verse number="15">Мусас Цуьнга элира: «Нагахь Хьо-Хьо тхоьца вогӀур вацахь, тхо кхузара ара а ма дахахьа.</verse>
				<verse number="16">Хьо тхоьца веача бен, тхуна муха хуур ду, суна а, Хьайн халкъана а Хьо реза вуйла? Кхин муьлхачу тайпана дуьнен чохь мел долчу халкъах къастало со а, Хьан халкъ а?»</verse>
				<verse number="17">Юха Везачу Эло элира: «Ахь аьлларг Ас кхочушдийр ду, хӀунда аьлча Со реза ву хьуна, цӀарца хьо вовза а вевза Суна».</verse>
				<verse number="18">ТӀаккха Мусас дехар дира: «Хьайн сийлаллин нур гайтахьа суна».</verse>
				<verse number="19">Везачу Эло жоп делира: «Хьуна хьалхахула Сайн сийлаллин нур чекхдоккхур ду Ас, хьуна хьалха ЯхӀува боху Сайн цӀе а кхайкхор ю, къинхетам бан луучух къинхетам а бийр бу, къахета луучух къа а хетар ду».</verse>
				<verse number="20">Юха элира Цо: «Сан юьхь хьуна ган мегар дац, иза гина стаг дийна вуьсур вац».</verse>
				<verse number="21">Кхин а Везачу Эло элира: «Суна уллохь цхьа меттиг ю хьуна, кху тарха тӀе дӀахӀотта.</verse>
				<verse number="22">Сан сийлаллин нур чекхдолучу хенахь Ас, тархан иккхинчу юккъе а хӀоттийна, Сайн куьйгаца къайлавоккхур ву хьо, Со тӀехваллалц.</verse>
				<verse number="23">Ас куьг хьалаайича, хьуна Со тӀехьара гур ву, амма хьуна Сан юьхь гур яц».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="34">
				<verse number="1">Везачу Эло Мусага элира: «Хьалха йиначарах тера а йолуш, тӀулган керла экъанаш ага хьайна. Царна тӀехь ахьа йохийначу шинна тӀехь хилла дешнаш яздийр ду Аса.</verse>
				<verse number="2">Кхана Ӏуьйранна кийча хила. Синай-лам тӀе хьала а валий, Суна хьалха хӀотта ламанан бохь тӀехь.</verse>
				<verse number="3">Хьоьца лам тӀе вала цхьаннан а бакъо яц, цу лам тӀехь миччахь а ша гайта а бакъо яц цхьаннан а. Шун кегий а, даккхий а даьхни хила йиш яц цу ломана уллохь дежаш».</verse>
				<verse number="4">Хьалхалернаш санна йолу ши экъа а йина, Ӏуьйранна гӀаьттина, Синай-лам тӀе велира Муса, Везачу Эло шена тӀе-ма-диллара. ТӀулган ши экъа кара схьаийцира цо.</verse>
				<verse number="5">Мархина юккъехь чу а воьссина, цунна уллохь сецира Веза Эла. ЯхӀува (Веза Эла) аьлла, Шен цӀе яьккхира Цо.</verse>
				<verse number="6">Мусана хьалхахула а ваьлла, Везачу Эло Шен ЯхӀува йолчу цӀарах лаьцна кхайкхам бира: «Веза Эла къинхетаме а, дика а Дела ву, атта оьгӀаз ца воьдуш волу а, боккха безам болуш а, тешаме волу а,</verse>
				<verse number="7">Шен тешам эзарнаш тӀаьхьенашкахь латтош волу а, зуламна а, харцонна а, къинна а гечдеш волу а, амма бехк бекхам ца беш ца буьтуш волу а, дайша латийначу къинна берашна а, берийн берашна а кхозлагӀчу а, йоьалгӀачу а тӀаьхьенехь таӀзар деш волу а».</verse>
				<verse number="8">Цу сохьта, лаьтта а воьжна, Далла хьалха суждане вахара Муса.</verse>
				<verse number="9">Цо элира: «Хьалдолу Эла, Хьо суна реза велахь, тхуна юкъахь дӀаволахьа. ХӀара халкъ чӀогӀа аьрха ду, амма тхан харцонашна а, къиношна а геч а дай, Хьайн халкъ санна дӀаэцахьа тхо».</verse>
				<verse number="10">Везачу Эло тӀаккха элира: «Аса барт бо шуьца: дерриг а хьан халкъана хьалха Ас тамашийна хӀуманаш гойтур ду, дерриг дуьнен чохь долчу цхьана а халкъана хӀинццалц цкъа а хилла доцу. Хьо юкъахь волчу халкъана Аса, Везачу Эло, хьан дуьхьа ден дерг гур ду, ткъа цу бахьаненна уьш ларамах буьзна хир бу.</verse>
				<verse number="11">ХӀинца Ас хьайна тӀедуьллург Ӏалашде. Ас хьуна хьалхара лохкур бу эмархой, канаӀанхой, хьетахой, перезахой, хьаьвихой, явсайхой.</verse>
				<verse number="12">Ларлолахь, хьо дӀавогӀуш болчу махкарчу нахаца берта ма гӀолахь, иза хьуна гур санна ца хилийтархьама.</verse>
				<verse number="13">Церан сагӀа доккху меттигаш а, Ӏибадат дан хӀиттийна тархаш а йохаяй, Ашера-далла лерина болу церан дечиган бӀогӀамаш хадабай, дӀабаха.</verse>
				<verse number="14">Цхьана Везачу Элана бен, кхечу далла ахь Ӏибадат дан мегар дац, хӀунда аьлча Эмгаралла Ерг цӀе йолуш волу Веза Эла — эмгаралла йолу Дела ву.</verse>
				<verse number="15">Ларлолахь, цу махкахь Ӏаш болчу нахаца берта ма гӀолахь, хӀунда аьлча, Соьгара дӀа а бирзина, шайн деланашна тӀаьхьахӀиттича, царна сагӀанаш даьхча, хьо дӀакхойкхур ву цара, ткъа церан деланашна лерина сагӀанаш даа там бу ахьа.</verse>
				<verse number="16">Церан мехкарий хьайн кӀенташна ма балабе, Везачу Элера дӀа а бирзина, шайн деланашна тӀаьхьахӀиттар цу мехкаршка хьайн кӀенташна ца Ӏамадайта.</verse>
				<verse number="17">ЦӀуш ма бе хьайна.</verse>
				<verse number="18">Совсазчу баьпкан деза де лара: ворхӀ дийнахь совсаза бепиг даа, Ас хьайна тӀе-ма-диллара. Иза билгалъяьккхинчу хенахь Авив цӀе йолчу баттахь хила дезаш ду, хӀунда аьлча цу баттахь хьо Мисарара араваьлла.</verse>
				<verse number="19">Доьзалехь дуьххьара хилла кӀант Сан ву, хьан даьхни юкъара дуьххьара хилла боьрша хьайба — я уьстагӀ, я газа — Сан ду.</verse>
				<verse number="20">Хьалха хилла йолу вир, цуьнан метта Ӏахар а белла, паргӀатъяккха. Ткъа айхьа иза паргӀат ца яккхахь, виран ворта кагъе. Хьайн дуьххьара хиллачу кӀентех а мах ло. Цхьа а Суна дуьхьал ма вола, карахь совгӀат а доцуш.</verse>
				<verse number="21">Ялх дийнахь болх бе, ворхӀалгӀачу дийнахь садаӀа. Ур-атталла ялта дӀадуьйчу а, чудерзочу а хенахь цу дийнахь садаӀа.</verse>
				<verse number="22">Дуьххьарлера ялта схьаэцаран „ШавуӀот“ цӀе йолу деза де а, шо чекхдолуш ялта чудерзоран деза де а лара.</verse>
				<verse number="23">Шарахь кхузза берриг а божарий Хьалдолчу Элана, Исраилан халкъан Далла, хьалха хӀитта беза.</verse>
				<verse number="24">Ас, хьуна хьалхара халкъаш дӀа а лаьхкина, хьан мехкан дозанаш шордийр ду, цхьа а хьан лаьтта тӀе кхевдар вац, шарахь кхузза хьайн Везачу Далла хьалха хьо вогӀуш волчу хенахь.</verse>
				<verse number="25">Дийнатан цӀий Суна сагӀина даьккхича, совсийна бепиг Суна сагӀина ма даккха, ткъа Пасахьан сагӀа Ӏуьйренга ма далийта.</verse>
				<verse number="26">Хьайн лаьтто дуьххьара белла стоьмаш хьайн Везачу Делан цӀа чу схьаба. Буьхьиг шен ненан шури чохь ма кхехкае».</verse>
				<verse number="27">Везачу Эло Мусага элира: «ДӀаязде Ас хьайга аьлла дешнаш, хӀунда аьлча цаьрца Ас барт бо хьоьца а, Исраилан халкъаца а».</verse>
				<verse number="28">Мусас Веза Эла волчохь шовзткъа де а, шовзткъа буьйса а яьккхира. Цу хенахь цо яа хӀума а ца йиира, хи а ца мелира. ТӀулган экъанаш тӀехь бартбаран дешнаш дӀаяздира цо: Делера болу итт хьехам.</verse>
				<verse number="29">Карахь бартбаран ши экъа а йолуш, Синай-лам тӀера чувуссучу хенахь, Мусана ца хаьара шен юьхь серлаяьлла хилар, Дала цуьнца къамел дина дела.</verse>
				<verse number="30">Мусан лепаш йолу юьхь а гина, цунна тӀебахка ца хӀуьттура АхӀарон а, исраилхой а.</verse>
				<verse number="31">Цо шайга тӀекхайкхича, АхӀарон а, халкъана юкъара тхьамданаш а Мусана тӀебахара. Цаьрца къамел дира цо.</verse>
				<verse number="32">Цул тӀаьхьа массо а исраилхой цунна тӀебаьхкира, ткъа Везачу Эло Синай-лам тӀехь шега аьлларг дерриг а цаьрга дийцира Мусас.</verse>
				<verse number="33">Нахаца къамел динчул тӀаьхьа, пардо схьа а эцна, шен юьхь къайлаяьккхира цо.</verse>
				<verse number="34">Везачу Элана хьалха хӀоьттича, Мусас шен юьхьана дуьхьал йолу хӀума дӀайоккхура, ша араваллалц. Арахь шена ала тӀедиллинарг исраилхошка дуьйцура цо.</verse>
				<verse number="35">Нахана гора лепаш йолу Мусан юьхь. Ша Веза Эла волчу чуваххалц, юха а шен юьхь къайлайоккхура цо.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="35">
				<verse number="1">Дерриг а Исраилан халкъ схьа а гулдина, Мусас элира: «Везачу Эло шуна дан тӀедиллинарг хӀара ду:</verse>
				<verse number="2">ялх дийнахь болх бе, ткъа ворхӀалгӀа де деза хилийта шайн. Иза Везачу Элана лерина садоӀу шоьтан де ду. Цу дийнахь болх бинарг вуьйр ву.</verse>
				<verse number="3">Шоьтан дийнахь цхьана а шайн хӀусамашкахь цӀе ма латае».</verse>
				<verse number="4">Дерриг а Исраилан халкъе Мусас элира: «Везачу Эло тӀедиллинарг хӀара ду:</verse>
				<verse number="5">шайгара Везачу Элана совгӀаташ да. Даггара сагӀа дала лууш волчу хӀора стага Везачу Элана лерина совгӀат да: деши а, дети а, цӀаста а,</verse>
				<verse number="6">сийна а, сирла-цӀен а, таьӀна-цӀен а эханг а, дуткъа кӀади а, газанан тӀаргӀа а,</verse>
				<verse number="7">цӀен басар хьаькхна йолу уьстагӀийн цӀоканаш а, хӀордан дийнатийн кӀеда тӀаьрсиг а, акацин дечиг а,</verse>
				<verse number="8">къуьданашна зайтдаьтта а, къобалваран даьттанах а, хаза хьожа йогӀучу сегӀазах а туху хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а,</verse>
				<verse number="9">оникс цӀе йолу тӀулг а, ийпадна чухӀитто а, некха тӀе уллучу безачу тӀоьрмагна тӀетосу а деза тӀулгаш а».</verse>
				<verse number="10">«Шегахь говзалла йолчо, ван а веана, Везачу Эло тӀедиллинарг дан деза:</verse>
				<verse number="11">деза четар а, цуьнан тхов а, тхевнна тӀера кхалор а, мӀараш а, гураш а, хьокхий а, бӀогӀамаш а, баххаш а,</verse>
				<verse number="12">бартбаран тӀорказ а, цуьнан хьокхий а, негӀар а, дуьхьал уллу кирхьа а,</verse>
				<verse number="13">стол а, цуьнан хьокхий а, берриг а цуьнан гӀирс а, цу тӀе хӀитто Везачу Элана лерина баьпкаш а,</verse>
				<verse number="14">четар серладаккхарна болу стогар а, берриг а цуьнан гӀирс а, цуьнан кегийра къуьданаш а, дагош долу даьтта а,</verse>
				<verse number="15">хаза хьожа йогӀу хӀума яго кхерч а, цуьнан хьокхий а, къобалваран даьтта а, хаза хьожа йогӀу сегӀаз а, Делан четаран неӀаре уллу шаршу а,</verse>
				<verse number="16">дийнаташ дагоран сагӀанаш доху кхерч а, цуьнан цӀестан цаца а, цуьнан хьокхий а, цуьнан берриг а гӀирс а, юьхь-куьгдуьлург а, цуьнан бух а,</verse>
				<verse number="17">кертана ухку шаршуш а, кертан бӀогӀамаш а, церан баххаш а, керта чуволучу уллу шаршу а,</verse>
				<verse number="18">четар чӀагӀъеш тухуш долу хьостамаш а, керт чӀагӀъеш долу хьостамаш а, цаьрца долу машшаш а,</verse>
				<verse number="19">Делан четарна чохь гӀуллак деш тӀедуха дезаш долу деза духарш а (Ӏамал ечу хенахь динан да волчу АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а тӀедуха дезаш долу деза духарш)».</verse>
				<verse number="20">Муса волчуьра дерриг а Исраилан халкъ дӀадахара.</verse>
				<verse number="21">Юха нах схьаэха буьйлабелира. Даггара лууш а, сино и гӀуллакх къобалдеш а волу хӀора стаг вогӀура Везачу Элана лерина совгӀат дахьаш. Гуламан четарна а, цуьнан берриг а гӀирсана а, дезачу духаршна а лерина хӀуманаш яхьара цара.</verse>
				<verse number="22">Шен даггара сагӀа дала лууш долчу хӀора адамо — божарша а, зударша а — мӀерий а, лергах ухку чӀагарш а, мухӀарш а, туьтеш а, кхин йолу дашо хӀуманаш а яхьара. ХӀораммо а дашо совгӀат, шатайпа сагӀа санна, хьалаойура Везачу Элана.</verse>
				<verse number="23">Шен долчо сийна а, сирла-цӀен а, таьӀна-цӀен а эханг а, дуткъа кӀади а, газанан тӀаргӀа а, цӀен басар хьаькхна йолу уьстагӀийн цӀоканаш а, хӀордан дийнатийн кӀеда тӀаьрсиг а дахьара.</verse>
				<verse number="24">Детин я цӀастанан совгӀат луш болчу массара а иза Везачу Элана сагӀина дахьара, ткъа белхан муьлхха а декъана акацин дечиг шен йолчо хӀораммо а Везачу Элана сагӀина яхьара иза.</verse>
				<verse number="25">Массо а говзачу зударша шайн куьйгашца хьовзийна сийна а, сирла-цӀен а, таьӀна-цӀен а эханг а, дуткъа кӀади а дахьара.</verse>
				<verse number="26">И болх шайн дагца тӀе а лаьцна, шайна хуучара газанан тӀаргӀа хьовзабора.</verse>
				<verse number="27">Халкъан тхьамданаша оникс цӀе йолу а, ийпадна а, некха тӀе уллучу безачу тӀоьрмагна а лерина а тӀулгаш дахьара,</verse>
				<verse number="28">ткъа иштта хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а, зайтдаьтта а дахьара къуьданашна а, къобалваран даьтта а, хаза хьожа йогӀу сегӀаз а кечдан.</verse>
				<verse number="29">Исраилан халкъа юкъара шайн даггара сагӀа дала лууш мел лелачара, божарша а, зударша а, Мусагахула Везачу Эло дан тӀедиллинчу гӀуллакхна шайн-шайн лаамехь Везачу Элана лерина совгӀаташ дахьара.</verse>
				<verse number="30">Мусас исраилхошка элира: «Везачу Эло къастийна Хьоран кӀентан Урин кӀант Бацалиал, ЯхӀудан тӀаьхьенах волу.</verse>
				<verse number="31">Иза Делан Синах вуьзна ву. Муьлхха а хӀума ян похӀма а, говзалла а, хаар а цунна делла Дала.</verse>
				<verse number="32">Цунна хаьа говзачу куьцан хьесап дан а, и куц деших а, детих а, цӀастанах а дан а,</verse>
				<verse number="33">деза тӀулгаш кечдан а, дечигах хӀума ян а, мел болу говза болх бан а.</verse>
				<verse number="34">Цунна а, Данан тӀаьхьенах волчу Ахьисамахан кӀантана ОхӀлиабана а похӀма делла кхиберш Ӏамо.</verse>
				<verse number="35">Везачу Эло говзалла елла царна муьлхха а болх бан: дечигах хӀума ян а, кӀади дан а, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангаца дуткъачу кӀадеш тӀехь тир яккха а, кӀадеш дуца а. Царна хаьа муьлхха а говза болх бан а, цу балхана хьесап дан а».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="36">
				<verse number="1">«Делан четар дан деза болх муха кхочушбан хууш волчу Бацалиала а, ОхӀлиаба а, Везачу Эло хьекъал а, говзалла а елла мел болчу наха а дерриг а Везачу Эло тӀе-ма-диллара дан деза».</verse>
				<verse number="2">Мусас Бацалиал а, ОхӀлиаб а, Везачу Эло говзаллаш елла а, даггара лелаш болу а массо а нах тӀекхайкхира и болх бан.</verse>
				<verse number="3">Исраилхоша Делан четар дарна еана хӀуманаш Мусагара схьаийцира оцу пхьераша шайн болх бан. Ткъа халкъо хӀора Ӏуьйранна а кхин а схьакхоьхьуш бара иза волчу шайн лаамехь бахьаш болу, совгӀатна лерина гӀирсаш.</verse>
				<verse number="4">Юха Делан четарна тӀехь болх беш болу пхьераш, шайн болх а сацийна, тӀебаьхкира.</verse>
				<verse number="5">Цара Мусага элира: «Везачу Эло бе аьллачу белхашна оьшучул а сов кхоьхьу наха гӀирсаш».</verse>
				<verse number="6">ТӀаккха Мусас халкъе дӀакхайкхадайтира, я стага а, я зудчо а Делан четарна лерина хӀумма а ма я аьлла. Цул тӀаьхьа наха совцийра кхоьхьуш йолу хӀуманаш.</verse>
				<verse number="7">Бан беза белхаш кхочушбарна оьшучул сов ма яра хӀинцале а схьакхехьна хӀуманаш!</verse>
				<verse number="8">Белхаш бечарна юкъара уггар а говза пхьераш Делан четар дан хӀиттира. Дуткъачу кӀадих а, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а итт шаршу а йина, царна тӀе говзачу куьйгашца дина каруб-маликийн суьрташ тийгира цара.</verse>
				<verse number="9">ХӀора шаршу йохалла ткъе бархӀ дол, шоралла диъ дол яра. Уьш ерриш а цхьана барамехь йинера.</verse>
				<verse number="10">Пхи шаршу вовшах а хоьттина, важа пхиъ а вовшаххоьттира цара.</verse>
				<verse number="11">Сийначу кӀадих туьйдаргаш дира цара хьалхарчу пхеаннах йистерачу шаршун цхьана агӀор, иштта вукху пхеаннах йолчу йистерачунна а туьйдаргаш дира.</verse>
				<verse number="12">Хьалхарчу пхеаннах йолчу йистерачу шаршуна тӀехь шовзткъе итт туьйдарг дира цара, шолгӀачу пхеаннах йолчу йистерачунна тӀехь а оццул дира. Церан туьйдаргаш дуьхь-дуьхьал нисдира цара.</verse>
				<verse number="13">Шовзткъе итт дашо мӀара а йина, шаршуш цаьрца вовшахтесира пхьераша, тӀаккха цхьа четар хилира цунах.</verse>
				<verse number="14">Юха газанан тӀергӀах четарна тӀехула лаца цхьайтта шаршу йира цара.</verse>
				<verse number="15">Уьш йохалла ткъе итт дол а, шоралла диъ дол а яра, цхьайтте а цхьана барамехь а йолуш.</verse>
				<verse number="16">Пхи шаршу цхьаьний, ялх шаршу цхьаьний вовшахтесира цара.</verse>
				<verse number="17">Пхеаннах йолчу йистерачу шаршуна тӀе шовзткъе итт туьйдарг тийгира, ткъа иштта ялханнах йолчу йистерачу шаршуна тӀе а шовзткъе итт туьйдарг тийгира.</verse>
				<verse number="18">Уьш туьйдаргех дӀатасархьама, цара шовзткъе итт цӀестан мӀара йира, тӀаккха дерригенах а дийнна цхьаъ хилира.</verse>
				<verse number="19">Четарна тӀехула лаца ши кхалор а йира пхьераша, цхьаъ цӀен басар хьаькхна йолчу уьстагӀийн цӀоканех, важа хӀордан дийнатийн кӀедачу тӀаьрсигах.</verse>
				<verse number="20">Акацин дечигах ирахӀиттийна гураш кечдира цара четарна.</verse>
				<verse number="21">Гураш итт дол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а дара.</verse>
				<verse number="22">ХӀора гуран ши зӀок йинера цара, цхьаъ шолгӀачунна уллохь а нисйина. Четаран дерриг а гураш иштта динера цара.</verse>
				<verse number="23">Четаран къилбехьа йолчу агӀор хӀоттийнарг ткъа гур бара.</verse>
				<verse number="24">Оцу ткъа гурана уьш тӀехӀитто шовзткъа дато бух бинера пхьераша: цхьана гуран шина зӀакарна кӀел ши бух, вукху гуран шина зӀакарна а ши бух.</verse>
				<verse number="25">Четаран къилбаседехьа йолчу агӀор хӀотто а ткъа гур бира цара.</verse>
				<verse number="26">Царна шовзткъа дато бух а бира, ши бух цхьана гурана кӀел а хӀоттош.</verse>
				<verse number="27">ТӀехьарчу, малхбузехьарчу агӀор бинарг ялх гур бара.</verse>
				<verse number="28">Ши гур тӀехьарчу агӀор шина сонехь а бира.</verse>
				<verse number="29">Лахахь вовшахтеснера и шиъ, ткъа лакхахь цхьана чӀагарх дӀатесира. Шина сонна болу и ши гур иштта бинера.</verse>
				<verse number="30">Иштта, бархӀ гур бара, уьш тӀехӀитто ялхитта дато бух а болуш — хӀора гурана кӀел шишша бух.</verse>
				<verse number="31">Акацин дечигах хьокхий дира цара. Пхи хьокха четаран цхьана агӀор долчу гурашна лерина бара,</verse>
				<verse number="32">важа пхиъ вукху агӀор долчу гурашна лерина бара, кхин пхиъ тӀехьа агӀор долчу гурашна а бара.</verse>
				<verse number="33">Юккъехь болу хьокха кечбира цара, гурашна юккъехула четаран цхьана йистера вукху йисте кхаччалц.</verse>
				<verse number="34">Гурашна а, хьокхешна а тӀехула деши лецира пхьераша, хьокхий чухӀитто чӀагарш а деших йира.</verse>
				<verse number="35">Дуткъачу кӀадих а, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах кирхьа дира цара. Цу тӀехь говзаллица каруб-маликийн суьрташ а дира.</verse>
				<verse number="36">Кирхьанна акацих биъ бӀогӀам а бина, царна тӀе деши а лецира, тӀехь дашо зӀакарш а йира. БӀогӀамашна биъ дато бух а бира.</verse>
				<verse number="37">Четарна чуволлучу олла тӀехь тир яьккхина йолу шаршу йира пхьераша дуткъачу кӀадих а, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а.</verse>
				<verse number="38">Цу шаршуна пхи бӀогӀам бира, тӀехь мӀараш а еш. БӀогӀамийн лакхенашна а, царна тӀера дӀатосургашна а тӀе деши лецира, ткъа лахахь цӀестан пхи бух бира цара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="37">
				<verse number="1">Акацин дечигах тӀорказ дира Бацалиала. Иза ши дол ахдол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а, цхьа дол ахдол лекха а дара.</verse>
				<verse number="2">ТӀорказна чухула а, тӀехула а цӀена деши лецира цо. Ткъа цунна тӀехула, гонах, дашо сара лецира</verse>
				<verse number="3">Йиъ дашо чӀуг а йина, уьш тӀорказан беа когахь дӀатесира: шиъ — цхьана агӀор, важа шиъ — вукху агӀор.</verse>
				<verse number="4">Акацих хьокхий а дина, царна тӀехула деши лецира цо.</verse>
				<verse number="5">Хьокхий тӀорказан агӀонашкахь йолчу чӀагарех чекхдехира цо, цаьрца иза лелорхьама.</verse>
				<verse number="6">ТӀорказна тӀедуьллу негӀар дира цӀеначу деших. НегӀар ши дол ахдол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а дара.</verse>
				<verse number="7">Туьйсинчу деших негӀарна тӀехь шина агӀор каруб-маликаш дира Бацалиала.</verse>
				<verse number="8">Цхьа каруб-малик цхьана агӀор, важа вукху агӀор нисдинера, и шиъ, дийнна цхьа хӀума а долуш, негӀарца цхьаьна.</verse>
				<verse number="9">Хьалаайинчу тӀемашца негӀар дӀа а хьулдеш, яххьаш дуьхь-дуьхьал а йолуш, негӀарна тӀедирзина дара и каруб-маликаш.</verse>
				<verse number="10">Акацих стол йира Бацалиала ши дол еха а, цхьа дол шуьйра а, цхьа дол ахдол лекха а.</verse>
				<verse number="11">ТӀехула деши а лаьцна, цунна гонах а дашо сара лецира цо.</verse>
				<verse number="12">Юха цу стоьлана гонах кераюкъан шораллехь гур а бина, цунна тӀе а дашо сара лецира цо.</verse>
				<verse number="13">Йиъ дашо чӀуг а йина, стоьлан когаш болчохь, беа сонехь дӀачӀагӀйира цо.</verse>
				<verse number="14">Стол дӀасалело хьокхий чекхдоху чӀагарш стоьлан гурана уллохь йинера.</verse>
				<verse number="15">Стол дӀасалело хьокхий акацих дина дара, тӀехула деши а лоцуш.</verse>
				<verse number="16">Цул тӀаьхьа стоьла тӀе хӀитто пхьегӀаш цӀеначу деших йира: бошхепаш а, еш а, кедаш а, боганаш а, царна чу чагӀаран сагӀанаш доттархьама.</verse>
				<verse number="17">ЦӀеначу деших стогар бира. Цуьнан бух а, гӀад а туьйсинчу деших динера, ткъа цу тӀехь хуьлу зезагаш (зуьгалгашца а, зазанашца а) цуьнца цхьана декъах динера.</verse>
				<verse number="18">Ялх га дара цунна тӀехь: кхо га цхьана агӀор, кхо га вукху агӀор.</verse>
				<verse number="19">Миндалан зезаган суьртехь цхьана гаьнна тӀехь зуьгалгашца а, зазанашца а долу кхо зезаг дара, цу кеппара кхо зезаг вукху гаьнна тӀехь а дара. Стогарна тӀехь долчу ялхе а гаьнна тӀехь иштта дара уьш.</verse>
				<verse number="20">Стогаран гӀода тӀехь а миндалан зезаган суьртехь зуьгалгашца а, зазанашца а долу диъ зезаг дара.</verse>
				<verse number="21">Стогаран гӀодах схьадолучу ялхе а гаьннах шинна кӀелахь цхьа зуьгалг яра, вукху шина гаьнна кӀелахь а цхьа зуьгалг яра, кхозлагӀчу шина гаьнна кӀелахь а цхьа зуьгалг яра.</verse>
				<verse number="22">Стогарх схьайовлу зуьгалгаш а, гаьннаш а стогарца цхьана дакъа долчу туьйсинчу цӀеначу деших йина яра.</verse>
				<verse number="23">ЦӀеначу деших стогарна ворхӀ къуьда а, цунна лерина тукарш а, нойш а йира Бацалиала.</verse>
				<verse number="24">Стогар а, цуьнан гӀирсаш а беш дӀадаьлларг ши пунт цӀена деши дара.</verse>
				<verse number="25">Акацин дечигах хаза хьожа йогӀу хӀума яго кхерч бира. Иза беакӀов а болуш, йохалла а, шоралла а цхьа дол, локхалла ши дол бара. Цуьнан еа маьӀӀехь маӀаш яра, кхерчаца цхьаьна декъах а йолуш.</verse>
				<verse number="26">Массо а агӀор а, тӀехула а, маӀашна тӀехь а цӀена деши а лаьцна, гонах дашо сара а лецира цунна.</verse>
				<verse number="27">Серана кӀелахь шина а агӀор деших ши чӀуг йира, шайна чухула хьокхий а даьхна, кхерч дӀабахьа.</verse>
				<verse number="28">Хьокхий акацих дира, тӀехула деши а лоцуш.</verse>
				<verse number="29">Къобалваран деза даьтта а, хаза хьожа йогӀу цӀена хӀума а кечйира, духӀиш кечдаран пхьеро эдинарг санна.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="38">
				<verse number="1">Цул тӀаьхьа Бацалиала акацин дечигах дийнаташ дагоран сагӀа доккху кхерч бира. Иза беакӀов бара, пхи дол беха а, пхи дол шуьйра а болуш, ткъа локхаллина кхо дол бара.</verse>
				<verse number="2">Кхерчан еа маьӀӀехь цхьацца маӀа а йира, уьш цуьнца цхьана декъах а йойтуш. Кхерч цӀастанца кхелира.</verse>
				<verse number="3">Кхерчана оьшу берриг а гӀирс кечбира: юкъ чуйохка кхабанаш а, лело аьшкалш а, боганаш а, мӀерий а, кӀора чубухку нойш а. Уьш массо а цӀастанах йина яра.</verse>
				<verse number="4">ЦӀастанах цаца бира кхерчана тӀебилла. Кхерчан хӀазарна кӀел билла безара и цаца, кхерчана юккъе кхаччалц иза дӀа а нисбеш.</verse>
				<verse number="5">Хьокхий чекхдаха цецан еа маьӀӀехь чӀагарш йира.</verse>
				<verse number="6">Акацих дина дара и хьокхий, тӀехула цӀаста а лоцуш.</verse>
				<verse number="7">Хьокхий чӀагарех чекхдехира, цаьрца иза лелочу хенахь уьш шина агӀор хилийта. Кхерч юкъахь баьсса бара, чухула лаьцна аннаш а долуш.</verse>
				<verse number="8">Гуламан четар чу воьду меттиг йолчохь гӀуллакх деш болчу зударийн цӀастанах динчу куьзганех юьхь-куьгдуьлург а, цуьнан бух а бира цо.</verse>
				<verse number="9">Цул тӀаьхьа керт кечйира. БӀе дол еха йолчу къилбехьарчу агӀор дуткъачу кӀадих йина шаршуш оьхкира.</verse>
				<verse number="10">Царна лерина ткъа бӀогӀам а, цӀестан ткъа бух а бира. БӀогӀамаш тӀера мӀерий а, дӀатосургаш а дато яра.</verse>
				<verse number="11">Къилбаседехьарчу агӀор а бӀе дол еха шаршуш оьхкира. Царна лерина ткъа бӀогӀам а, цӀестан ткъа бух а бира. БӀогӀамаш тӀера мӀерий а, дӀатосургаш а дато яра.</verse>
				<verse number="12">Кертан шоралла, малхбузехьа агӀор, шовзткъе итт дол еха шаршуш яра, царна лерина итт бӀогӀам а, итт бух а бира. БӀогӀамийн мӀерий а, дӀатосургаш а детих йина яра.</verse>
				<verse number="13">Кертан шоралла, малхбалехьа йолчу агӀор, шовзткъе итт дол еха шаршуш яра.</verse>
				<verse number="14">Цхьана агӀор, керта воьдучохь, оьхкина шаршуш пхийтта дол еха яра, царна лерина кхо бӀогӀам а, кхо бух а бара.</verse>
				<verse number="15">Вукху агӀор оьхкина а пхийтта дол еха шаршуш яра, царна кхо бӀогӀам а, кхо бух а бира.</verse>
				<verse number="16">Массо а агӀор оьхкина шаршуш дуткъачу кӀадих йина яра.</verse>
				<verse number="17">БӀогӀамийн баххаш цӀестах дина дара, ткъа бӀогӀамаш тӀера мӀерий а, дӀатосургаш а детих йина яра. Дерриш а кертана гонахара бӀогӀамаш детих динчу дӀатосургашца вовшахтесна дара.</verse>
				<verse number="18">Кертан кевнна оьллина шаршу, тӀехь тӀамарш а йолуш, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а, дуткъачу кӀадих а йина яра. Иза йохалла ткъа дол а, локхалла пхи дол а яра, кертана оьхкинчу шаршуйх тера а йолуш.</verse>
				<verse number="19">Цунна лерина биъ бӀогӀам бара, шайца цӀестан биъ бух а болуш. Церан мӀерий а, дӀатосургаш а дато яра, ткъа церан баххьаш детих кхелина дара.</verse>
				<verse number="20">Делан четар чӀагӀдеш тухуш долу хьостамаш а, гонахара керт чӀагӀдеш долу хьостамаш а цӀестан дара.</verse>
				<verse number="21">ХӀинца Делан четар деш дӀаевлла коьчалш ягаръяран жамӀ дийр ду. Мусас левихошна тӀедиллира тоьшаллин четар деш дӀаевлла коьчалш ягаръяр. Динан да волчу АхӀаронан кӀанта Итамара куьйгалла деш дара и гӀуллакх.</verse>
				<verse number="22">Везачу Эло Мусана тӀе мел диллинарг кхочушдеш вара ЯхӀудан тӀаьхьенах волу Хьоран кӀентан Урин кӀант Бацалиал.</verse>
				<verse number="23">Цуьнца Данан тӀаьхьенах волу Ахьисамахан кӀант ОхӀлиаб а вара. Иза мухӀар деш а, кӀадеш дуцуш а, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангаца дуткъачу кӀадеш тӀехь тир йоккхуш а волу пхьар вара.</verse>
				<verse number="24">Делан четар деш, цунна оьшу хӀуманаш ян наха, Далла лерина совгӀат санна, деана деши шовзткъе берхӀитта пунт а, ворхӀ бӀе ткъе итт шекхал а дара, деза шекхал олучу барамехь оьзна.</verse>
				<verse number="25">Багарбинчу наха деана дети ши бӀе пунт, цхьа эзар ворхӀ бӀе кхузткъе пхийтта деза шекхал дара.</verse>
				<verse number="26">Багарбинарш ткъа шарал тӀехбевлларш бара, уьш ялх бӀе кхо эзар пхи бӀе шовзткъе итт стаг хилира. Царах хӀораммо а ах шекхал дети деара, дезачу шекхалан барамехь узуш.</verse>
				<verse number="27">БӀе гали дети Делан четарх бӀогӀамийн баххашна а, шаршу хьалаоьллинчу бӀогӀамийн баххашна а дӀадахара. БӀе буьхана бӀе гали дети, хӀора буьхана цхьацца хилира.</verse>
				<verse number="28">Цхьа эзар ворхӀ бӀе кхузткъе пхийтта шекхал детих бӀогӀамийн мӀерий а дира, церан баххьаш тӀе а дехкира, дӀатосургаш а йира.</verse>
				<verse number="29">СовгӀат санна наха деана цӀаста цхьа бӀе шовзткъа пунт а, ши эзар диъ бӀе шекхал а дара.</verse>
				<verse number="30">Цунах гуламан четарна чоьхьа воллучохь хӀиттийначу бӀогӀамийн баххаш а дира, сагӀа доккху кхерч а, цуьнан цаца а, берриг а гӀирс а бира.</verse>
				<verse number="31">Ткъа иштта оцу цӀастанах ерриг а кертана хӀиттийначу бӀогӀамашна баххаш а дира, кевнна долчу бӀогӀамашна баххаш а дира, Делан четар а, керт а чӀагӀдеш долу хьостамаш а кечдира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="39">
				<verse number="1">Сийначу а, таьӀна-цӀечу а, цӀечу а эхангах динан дайшна Делан цӀа чохь гӀуллакх дан духарш кечдира цара, ткъа иштта АхӀаронна а дира деза духарш, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара.</verse>
				<verse number="2">Ийпад цӀе йолу тӀеюху хӀума йира цара дешин тех а, сийначу а, таьӀна-цӀечу а, цӀечу а эхангах а, ветанах динчу хьовзийначу тех а.</verse>
				<verse number="3">Дуткъадеш нисдинчу дешин экъанех, хеда а деш, дашо теш а даьхна, уьш, хаза дуцуш, сийначу а, таьӀна-цӀечу а, цӀечу а тешна юкъалецира цара.</verse>
				<verse number="4">Белшашкахь ийпад дӀайоьхкуш ши гур бира цара, цаьрца ийпадан ши агӀор цхьаьнатесна хилийта.</verse>
				<verse number="5">Ийпадна тӀехула доьхкуш дара иза ша санна дина долу доьхка. Деших а, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а, дуткъачу кӀадих а динера иза, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара</verse>
				<verse number="6">Пхьераша, мухӀар тӀе язъеш ма-хиллара, Исраилан кӀентийн цӀераш тӀе а язйина, оникс цӀе йолу деза тӀулгаш хӀиттийра дашо беттанаш чу.</verse>
				<verse number="7">Юха и дашо беттанаш ийпадан гураш тӀехь дӀанисдира цара, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара. Цу тӀулгаша Далла исраилхой дагахь латтор бара.</verse>
				<verse number="8">Юха, ийпад санна, деших а, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а, дуткъачу кӀадих а некха тӀе уллу беза тӀоьрмаг бира цара.</verse>
				<verse number="9">Иза беакӀов а, шалха а яра, йохалла а, шоралла а барамана цхьа ше а йолуш.</verse>
				<verse number="10">Пхьераша беа могӀарехь деза тӀулгаш дехкира цунна тӀе. Хьалхарчу могӀарехь рубин а, топаз а, изумруд а цӀераш йолу тӀулгаш дара.</verse>
				<verse number="11">ШолгӀачу могӀарехь карбункул а, саппир а, алмаз а цӀераш йолу тӀулгаш дара.</verse>
				<verse number="12">КхоалгӀачу могӀарехь яхонт а, агат а, аметист а дара.</verse>
				<verse number="13">БоьалгӀачу могӀарехь хризолит а, оникс а, яспис а дара. Дерриг а тӀулгаш дашо гураш чохь дара.</verse>
				<verse number="14">Берриг а цу бедар тӀехь шийтта тӀулг бара, исраилхойн тайпанашка хьаьжжина. ХӀора тӀулга тӀехь, мухӀарна тӀехь санна, дӀаязйина шийтта тайпанан цхьацца цӀе яра.</verse>
				<verse number="15">ЦӀеначу деших йина юьйцина ши зӀе яра некха тӀе уллучу бедарна тӀехь.</verse>
				<verse number="16">Пхьераша йина дашо ши ботт а, дашо ши чӀуг а яра цу тӀехь. Ши чӀуг некха хьалхарчу безачу тӀоьрмаган шина йисте дӀатесна яра.</verse>
				<verse number="17">Юьйцина йолу ши зӀе, чӀагарех чекх а яьхна, некха тӀе уллучу безачу тӀоьрмаган шина йисте дӀатесира пхьераша.</verse>
				<verse number="18">Ткъа зӀенийн важа ши чаккхе, шина дашо батта чу а тесна, ийпадан хьалхарчу агӀор гура тӀехь дӀанисйира.</verse>
				<verse number="19">Кхин ши дашо чӀуг а йина, некха хьалха уллучу бедаран вукху шина йисте, ийпадехьа йолчу чухула агӀор тийгира пхьераша.</verse>
				<verse number="20">Кхин а дашо ши чӀуг а йина, ийпадан белшашкахь болу шина гурана лахо, хьалха агӀор тийгира, и гураш ийпадан доьхкарна тӀехула хотталучохь.</verse>
				<verse number="21">Некха хьалха уллучу бедаран чӀагарш ийпадан чӀагарех дӀатесира сийначу тӀергаца. Иза иштта динера, некха хьалха уллург ийпадах къаьстина ца хилийтархьама, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара.</verse>
				<verse number="22">Юха ийпадна бухахо сийначу тӀергӀан юьйцинчу кӀадих оба йира цара.</verse>
				<verse number="23">Корта чекхбаккха цу обанна юккъехь Ӏуьрг даьккхира, ткъа йистош яста ца ялийта, кӀади а лоцуш, дӀатийгира.</verse>
				<verse number="24">Обанан юьхана сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀначу-цӀечу а эхангах а, дуткъачу кӀадих а Ӏежан суьртехь дина оьргаш оьхкира.</verse>
				<verse number="25">ЦӀеначу деших дина горгалеш оьхкира Ӏежашна юккъе.</verse>
				<verse number="26">Ӏаж а, горгали а хийцалуш дара обанан юха тӀехь. И бедар Далла лерина гӀуллакх дечу хенахь динан дас тӀеюха езаш яра, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара.</verse>
				<verse number="27">АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а дуткъачу дуьйцинчу кӀадих кучамаш тийгира.</verse>
				<verse number="28">Чалба а, коьртах йоьхку хӀуманаш а, чухула юху бедарш а йира оцу дуткъачу кӀадих.</verse>
				<verse number="29">Юха дуткъачу кӀадих а, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эханган, куьцаш а деш, доьхка дира, Везачу Эло Мусага ма-аллара.</verse>
				<verse number="30">ЦӀеначу деших йина аса яра дезачу тажана лерина, цу тӀехь, мухӀарна тӀехь санна, яздинера: «Везачу Элана къобалдинарг» аьлла.</verse>
				<verse number="31">Куйна тӀехула иза дӀаехка цу тӀе сийначу эхангах йина тӀийраг тесира, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара.</verse>
				<verse number="32">Нах гулбеш болчу Делан четарна лерина болу болх чекхбелира. Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара, дерриг а кхочушдира исраилхоша.</verse>
				<verse number="33">Мусана четар а, цунна богӀу берриг а гӀирс а, чӀагарш а, гураш а, хьокхий а, бӀогӀамаш а, лаха лоцурш а схьаеара.</verse>
				<verse number="34">Четарна тӀетуху цӀен басар хьаькхна йолу уьстагӀийн цӀоканех йина кхалор а, тӀаьрсиган кхалор а, дезачу цӀа чу волуш оьллина шаршу а гайтира исраилхоша цунна.</verse>
				<verse number="35">Тоьшаллин тӀорказ а, цуьнан хьокхий а, негӀар а гайтира исраилхоша цунна.</verse>
				<verse number="36">Шен гӀирсашца а, цу тӀе диллинчу дезачу баьпкаца а йолу стол а гайтира.</verse>
				<verse number="37">ЦӀеначу деших йина, шена тӀехь кегийра къуьданаш йолу стогар а, цуьнан гӀирс а, дагош долу даьтта а гайтира.</verse>
				<verse number="38">СагӀа доккху дашо кхерч а, нахана а, хӀуманашна а, уьш беза хилар лоруш, тӀехьокху даьтта а, хаза хьожа йогӀу, дагош долу силам а, четар чу волуш дуьхьал уллу шаршу а гайтира.</verse>
				<verse number="39">СагӀа доккху цӀестан кхерч а, цуьнца болу цӀестан цаца а, хьокхий а, берриг а цуьнан гӀирс а, юьхь-куьг дуьлу бога а, цуьнан бух а гайтира.</verse>
				<verse number="40">УьйтӀе дӀакъовлуш ухку шаршуш а, шайн бӀогӀамашца а, баххашца а, уьйтӀарчу кевнна дуьхьал уллу шаршу а, машшаш а, хьокхий а, нах гулбеш болчу Делан четар чохь Ӏамал дечу хенахь лело гӀирсаш а гайтира.</verse>
				<verse number="41">Юха динан дайн духарш (Ӏамал ечу хенахь динан да волчу АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а тӀедуха дезаш долу деза духарш) гайтира.</verse>
				<verse number="42">Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара, бинера исраилхоша берриг а белхаш.</verse>
				<verse number="43">Балхе хьаьжча, Мусана гира иза Везачу Эло тӀе-ма-диллара бина хилар. ТӀаккха Мусас уьш декъалбира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="40">
				<verse number="1">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="2">«Хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь гуламан четар дӀахӀоттаде.</verse>
				<verse number="3">Цу чу тӀулгийн экъанаш чохь йолу тӀорказ хӀоттаде, цунна дуьхьал шаршу а оллий.</verse>
				<verse number="4">Юха, чу а яй, стол а, цу тӀехь хӀиттайо хӀуманаш а дӀахӀиттае. Стогар а схьаба, цу тӀе цуьнан къуьданаш хӀиттабе.</verse>
				<verse number="5">Хаза хьожа йоккху хӀума шена тӀехь ягош болу дашо кхерч тӀорказна хьалха хӀоттабе. Четаран неӀарехь шаршу а олла.</verse>
				<verse number="6">СагӀина лерина шена тӀехь хьайба дагош болу кхерч четарна чуволлучохь хӀоттабе.</verse>
				<verse number="7">Четарний, кхерчаний юккъе юьхь-куьг дуьлу бога а хӀоттадай, цу чу хи дотта.</verse>
				<verse number="8">Гонах керт а хӀоттаяй, кевнна дуьхьал шаршу олла.</verse>
				<verse number="9">ТӀаккха, къобалваран даьтта схьа а эций, четарна а, цу чохь долчу массо а хӀуманна а тӀедотта. Уьш еза хир ю цул тӀаьхьа.</verse>
				<verse number="10">СагӀа доккхучу кхерчана а, цуьнан гӀирсана а тӀе даьтта дотта. Къобалбе и кхерч, тӀаккха иза къаьсттина беза хир бу.</verse>
				<verse number="11">Юьхь-куьг дуьлучу боганна а, цуьнан бухана а даьтта а доттий, иза а къобалде.</verse>
				<verse number="12">АхӀарон а, цуьнан кӀентий а, четарна улло а балабай, хица цӀанбе.</verse>
				<verse number="13">Даздина духарш АхӀаронна тӀе а дохий, цунна даьтта а доттий, къобалве иза, Суна гӀуллакх деш динан да хилийта.</verse>
				<verse number="14">Цуьнан кӀентий схьа а балабай, царна тӀе а юха кучамаш.</verse>
				<verse number="15">Айхьа церан дена тӀе ма-доттара, даьтта дотта царна тӀе а, Суна гӀуллакх деш, динан дай уьш хилийта. И даьтта доттар бахьана долуш церан тӀаьхьенаш а хир ю Суна гӀуллакх деш, динан дай а хилла».</verse>
				<verse number="16">Везачу Эло шена тӀе-ма-диллара, дерриг а кхочушдира Мусас.</verse>
				<verse number="17">Мисар-махкара исраилхой арабевллачу шолгӀачу шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь дӀахӀоттийна Везачу Элан четар.</verse>
				<verse number="18">Мусас четар дӀахӀоттийра. Цкъа хьалха бух а хӀоттийна, юха бӀогӀамаш дӀа а хӀиттийна, гураш а хӀиттийна, хьокхий охьадехкира цо.</verse>
				<verse number="19">Юха цу четарна тӀехула кхалор а хӀоттийна, тхов тӀе хӀума а йиллина, иза дӀакъевлира, Везачу Эло тӀе-ма-диллара.</verse>
				<verse number="20">ТӀе парзаш яздина тӀулгийн экъанаш тоьшаллин тӀорказ чу а ехкина, тӀорказан чӀагарех хьокхий чекх а даьхна, негӀар тӀорказна тӀедиллира Мусас.</verse>
				<verse number="21">ТӀорказ, четар кӀел а даьхьна, хьалха шаршу а оьллина, дӀакъевлира цо, Везачу Эло шена тӀе-ма-диллара.</verse>
				<verse number="22">Четара кӀел а яьхьна, къилбаседехьа, шаршуна арахьа агӀор стол хӀоттийра цо.</verse>
				<verse number="23">Цу тӀе Везачу Элана хьалха дохку баьпкаш хӀиттийра цо, Везачу Эло тӀе-ма-диллара.</verse>
				<verse number="24">Юха стоьлана дуьхьал, къилбехьа, стогар хӀоттийра.</verse>
				<verse number="25">Везачу Элана хьалха къуьданаш хӀиттийра Мусас, Цо шена тӀе-ма-диллара.</verse>
				<verse number="26">Четарна кӀелахь шаршуна хьалха шена тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀума ягош болу дашо кхерч хӀоттийра цо.</verse>
				<verse number="27">Цу тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀума ягийра Мусас, Везачу Эло тӀе-ма-диллара.</verse>
				<verse number="28">Четаран неӀарехь шаршу оьллира цо.</verse>
				<verse number="29">Дийнаташ дагоран сагӀа доккху кхерч четарна хьалха, чуволлучохь, хӀоттийра цо. Цу тӀехь дийнаташ дагоран сагӀанаш а, кӀенан сагӀанаш а дохура Мусас, Везачу Эло шена тӀе-ма-диллара.</verse>
				<verse number="30">Юьхь-куьг дуьлу бога четарна а, сагӀа доккхучу кхерчана а юккъе а хӀоттийна, цу чу хи доьттира цо.</verse>
				<verse number="31">Мусас а, АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а шайн куьйгаш а, когаш а билира цу чохь.</verse>
				<verse number="32">ХӀоразза а четарна кӀел доьлхуш а, кхерчана тӀе доьлхуш а дегӀан меженаш юьлура цара, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара.</verse>
				<verse number="33">Четарна а, кхерчана а гонах керт а хӀоттийна, кертан кевнна хьалха шаршу оьллира Мусас. Иштта шен болх чекхбаьккхира цо.</verse>
				<verse number="34">Делан четарна гонах марха хӀоьттира, ткъа цу гуламан четаран чоь Везачу Элан олаллин нуьро юьзира.</verse>
				<verse number="35">Муса Делан четарна кӀел ца вахалора, цунна гонах марха хиларна а, Везачу Элан олаллин нур цу гуламан четарна чохь хиларна а.</verse>
				<verse number="36">Делан четарна тӀера и марха хьалаяьккхича, новкъа бовлура исраилхой.</verse>
				<verse number="37">Марха Делан четарна тӀехула мел лаьтта, цара шайн меттамотт дӀа ца боккхура.</verse>
				<verse number="38">Дийнахь Везачу Элан марха четарна тӀехула лаьттара, ткъа буьйсанна цунна юкъахь йогуш цӀе хуьлура. Иштта хуьлура исраилхошна хьалха массо а церан некъашкахь.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="3">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">Веза Эла Мусага кхайкхира, гуламан четар чуьра цуьнга къамел дира Цо:</verse>
				<verse number="2">«ДӀаала исраилхошка: „Шух цхьанна Везачу Элана лерина сагӀа даккха лиъча, доккхачу а, жимачу а даьхних даккха и сагӀа.</verse>
				<verse number="3">Нагахь санна Везачу Элана лерина дагоран сагӀа стага доккхачу даьхних даккхахь, иза боьрша хила деза, цхьа а сакхт а доцуш. Цо и бежана гуламан четарна чуволлучохь дӀахӀотто деза, Везачу Эле иза къобалдайтархьама.</verse>
				<verse number="4">Схьадалийначу бежанан коьрта тӀе цу стага куьг диллича, и сагӀа цу стеган метта Дала тӀеоьцур ду, цунна тӀера къинош дӀадахархьама.</verse>
				<verse number="5">Везачу Элана хьалха старгӀина урс хьакха деза цу стага, цул тӀаьхьа АхӀаронан кӀентий болчу динан дайша гуламан четарна чуволлучохь лаьттачу сагӀа доккхучу кхерчана массо а агӀор тӀетоха деза цу бежанан цӀийн цинцаш.</verse>
				<verse number="6">Оцу стага, дийначу бежанна тӀера неӀ схьа а даьккхина, и бежана дакъошка декъа деза.</verse>
				<verse number="7">АхӀаронан кӀентий болчу динан дайша, сагӀа доккхучу кхерча тӀехь цӀе а латийна, цу тӀе дечиг дилла деза.</verse>
				<verse number="8">АхӀаронан кӀентий болчу динан дайша, цӀера тӀе дехкинчу дечигаш тӀе бежанан дакъош а, корта а, мохь а йилла еза.</verse>
				<verse number="9">Оцу стага бежанан когаш а, чоко а дилича, динан дас дерриге а дакъош цӀера тӀехь даго деза. Иза цӀера тӀехь дагош долу сагӀа ду, цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю.</verse>
				<verse number="10">Нагахь санна Везачу Элана лерина дагоран сагӀина стага жимачу даьхних — уьстагӀех я гезарех — даккхахь, иза цхьа а сакхт доцу боьрша дийнат хила деза.</verse>
				<verse number="11">Стага Везачу Элана хьалха, сагӀа доккхучу кхерчан къилбаседехьарчу агӀор охьа а диллина, дийнатна урс хьакха деза, цул тӀаьхьа АхӀаронан кӀенташа, динан дайша, цу дийнатан цӀий тоха деза кхерчан массо а агӀор.</verse>
				<verse number="12">Стага дийнат дакъошка декъа деза, кортий, моххьий дӀа а къастийна. Юха динан дас и дакъош кхерча тӀерачу цӀерана тӀе техкинчу дечигна тӀе дахка деза.</verse>
				<verse number="13">Стага дийнатан когаш а, чоко а йилича, дерриге а дакъош кхерча тӀехь даго деза динан дас. Иза цӀера тӀехь дагош долу сагӀа ду, цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю.</verse>
				<verse number="14">Нагахь санна Везачу Элана лерина дагоран сагӀина стага олхазар дахьахь, иза я къоркхокха я кхокха хила беза.</verse>
				<verse number="15">Динан дас, кхокха сагӀа доккхучу кхерчана тӀе а беана, цуьнан корта схьабоккхур бу. Цуьнан цӀий кхерчан агӀонна тӀе охьа а дахийтина, иза багор бу цо кхерча тӀехь.</verse>
				<verse number="16">Кхокханан харданг а, месаш а схьа а яьхна, кхерчан малхбалерчу агӀор, юкъ дӀахьокхучу метте, охьатосур ю динан дас.</verse>
				<verse number="17">Стага и кхокха, цуьнан тӀемаш, кег а ца деш, дӀа а озийна, кагбича, иза кхерча тӀе техкинчу дечигна тӀерачу цӀергахь багор бу динан дас. Иза цӀера тӀехь дагош долу сагӀа ду, цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">«Нагахь цхьанна кӀен сагӀа даккха лаахь, кӀенах дина тоьлла дама схьа а дай, цу тӀе зайтдаьтта а дотта, ливан цӀе йолу сегӀаз а дилла цо.</verse>
				<verse number="2">И сагӀа динан дай болчу АхӀаронан кӀенташна тӀе дан деза. Деман цхьа кана, цуьнца долчу зайтдаьттанца схьа а эцна, дерриг а ливанаца иза сагӀа доккхучу кхерча тӀехь багор бу динан дас. Дерриг а дама Везачу Элана сагӀина дӀаделла хиларан билгало хир ю иза. ЦӀера тӀехь доккхуш долчу оцу сагӀин хьожа Везачу Элана тамехь хир ю.</verse>
				<verse number="3">КӀен сагӀанах бухадиснарг АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а дала деза. Иза чӀогӀа деза ду, Везачу Элана леринчу цӀера тӀехь даьхначу сагӀанех иза схьаэцна долу дела.</verse>
				<verse number="4">Нагахь санна пешахь деттина кӀен сагӀа ахь доккхуш делахь, иза тоьллачу демах дина хила деза: зайтдаьтта тоьхна совсаза бепиг я тӀе зайтдаьтта хьаькхна дуткъа совсаза хьокхамаш хила деза.</verse>
				<verse number="5">Нагахь хьан кӀен сагӀа кхийрачу пхьегӀи тӀехь деттина делахь, иза зайтдаьтта тоьхначу демах совсаза дина хила деза.</verse>
				<verse number="6">Бепиг дакъошка а декъий, цунна тӀе зайтдаьтта дотта. Иза Везачу Элана лерина кӀен сагӀа ду.</verse>
				<verse number="7">Нагахь хьан кӀен сагӀа ялгӀу тӀехь деттина бепиг делахь, иза зайтдаьттанца долчу тоьллачу кӀен демах дина хила деза.</verse>
				<verse number="8">Иштта кечдина кӀен сагӀа Везачу Элана схьада. Динан дега дӀакховдаде иза, цо кхерча тӀе дуьллур ду и сагӀа.</verse>
				<verse number="9">Динан дас, схьа а эцна, кхерча тӀехь сагӀин цхьа дакъа дагор ду. Дерриге а Везачу Элана сагӀина дӀаделла хиларан билгало хир ю иза. Цу сагӀин хьожа Везачу Элана тамехь ю.</verse>
				<verse number="10">КӀен сагӀанах бухадиснарг АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а дала деза. Иза чӀогӀа деза ду, Везачу Элана леринчу цӀера тӀехь даьхначу сагӀанех иза схьаэцна долу дела.</verse>
				<verse number="11">Везачу Элана лерина дахьачу муьлххачу а кӀен сагӀанах морза ма тоха, хӀунда аьлча я морза а, я моз а Везачу Элана леринчу сагӀанца даго бакъо яц шун.</verse>
				<verse number="12">Дуьххьара схьаэцначу ялтех долу совгӀат санна дан мегар ду уьш Везачу Элана лерина, амма тамехь хьожа яийта кхерча тӀехь даго мегар дац.</verse>
				<verse number="13">Муьлххачу а кӀен сагӀанах туьха тоха, хьайн сагӀа Делаца бинчу бертан туьха ца тухуш ма дита. Муьлххачу а айхьа дахьачу сагӀанца Везачу Далла туьха да.</verse>
				<verse number="14">Дуьххьарчу ялтех кӀен сагӀа доккхуш делахь, цӀера тӀехь дакъийначу кенех даьхна аьтта долу буьртигаш да.</verse>
				<verse number="15">Царна тӀе зайтдаьтта а дотта, ливан цӀе йолу сегӀаз а дилла. Иза кӀен сагӀа ду.</verse>
				<verse number="16">Динан дас буьртигийн цхьа дакъа — зайтдаьттанца а, мел долчу ливанаца а эдина — дагор ду. И дерриге а Везачу Элана лерина сагӀина дӀаделла хиларан билгало хир ю иза. Иза Везачу Элана цӀера тӀехь даьккхина сагӀа ду».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">«Нагахь цхьаммо, бертан сагӀа доккхуш, доккха бежана даладахь, бен а дац иза боьрша я стен хилар, — Везачу Элана леринарг цхьа а айп доцу бежана хила деза.</verse>
				<verse number="2">Шен куьг бежанан коьрта тӀе а диллина, гуламан четарна чуволлучохь цунна урс хьакха деза сагӀа доккхучо. Динан дай болчу АхӀаронан кӀенташа сагӀа доккхучу кхерчан массо а агӀонна тӀе цӀий тоха деза.</verse>
				<verse number="3">Цу бертан сагӀанах цхьадолу дакъош Везачу Элана, дагоран сагӀа санна, даха деза: чухулара а, чоконна тӀера а ерриг а мохь,</verse>
				<verse number="4">ший жим а, царна тӀера юкъа тӀехь йолу мохь а, доӀаха тӀера мохь а (иза жаннашца цхьаьна яккха еза).</verse>
				<verse number="5">АхӀаронан кӀенташа цӀерана тӀе техкинчу дечигашна тӀехь долчу дийнаташ дагоран сагӀанца цхьаьна ягор ю уьш кхерча тӀехь. Цу сагӀин хьожа Везачу Элана тамехь ю.</verse>
				<verse number="6">Нагахь стаг Везачу Элана лерина кегийрачу дийнатех бертан сагӀа доккхуш велахь, цхьа а айп доцу боьрша я стен дийнат дала деза цо.</verse>
				<verse number="7">Нагахь сагӀина балийнарг уьстагӀ белахь, иза Везачу Элана хьалха хӀотто беза.</verse>
				<verse number="8">Дийнатан коьрта тӀе куьг а диллина, гуламан четарна хьалха цунна урс хьакха деза. АхӀаронан кӀенташа сагӀа доккхучу кхерчан массо а агӀонна тӀе цуьнан цӀий тоха деза.</verse>
				<verse number="9">Цу бертан сагӀанах цхьадолу дакъош Везачу Элана, дагоран сагӀа санна, даха деза: мохь а, букъан даьӀахка тӀекхаччалц схьахадийна болу дума а, чухулара а, чоконна тӀера а мохь,</verse>
				<verse number="10">ший жим а, царна тӀера юкъа тӀехь йолу мохь а, доӀаха тӀера мохь а (иза жаннашца цхьаьна яккха еза).</verse>
				<verse number="11">Динан дас сагӀа доккхучу кхерча тӀехь яго еза уьш. Иза Везачу Элана лерина цӀера тӀехь даьккхина кхачанан сагӀа ду.</verse>
				<verse number="12">Нагахь стага сагӀина ялийнарг газа елахь, иза Везачу Элана хьалха хӀотто еза.</verse>
				<verse number="13">Цунна тӀе шен куьг а диллина, гуламан четарна хьалха дийнатна урс хьакха деза цу стага. АхӀаронан кӀенташа газанан цӀий сагӀа доккхучу кхерчан массо а агӀонна тӀе тоха деза.</verse>
				<verse number="14">Цу бертан сагӀанах цхьадолу дакъош Везачу Элана, дагоран сагӀа санна, даха деза: чухулара а, чоконна тӀера а ерриг а мохь,</verse>
				<verse number="15">ший жим а, юкъа тӀехь йолу мохь а, доӀаха тӀера мохь а (иза жаннашца цхьаьна яккха еза).</verse>
				<verse number="16">Динан дас сагӀа доккхучу кхерча тӀехь яго еза уьш. Иза цӀера тӀехь даьккхина кхачанан сагӀа ду, Везачу Элана тамехь йолу хьожа ю и. Ерриг а мохь Везачу Элана лерина хила еза.</verse>
				<verse number="17">Иза гуттаренна а шун тӀаьхьенашна тӀедуьллуш ду, шу миччанхьа дехаш делахь а. Цхьа а тайпа мохь а, цхьа а тайпа цӀий а ма даалаш».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="2">«ДӀаала исраилхошка: „Нагахь цхьаммо ларамаза Везачу Эло тӀедехкинчу парзашна дуьхьал къа латийнехь, я дан ца магош дерг динехь, цо кхочушдан дезарг хӀара ду:</verse>
				<verse number="3">‘Нагахь Везачу Элана лерина гӀуллакх дан къобалвинчу динан дас къа а латийна, и бахьана долуш халкъ бехке хиллехь, ша латийначу къинна цхьа а айп доцу къона старгӀа ялае Везачу Элана сагӀина лерина.</verse>
				<verse number="4">Гуламан четаран неӀарна улло а ялийна, Везачу Элана хьалха хӀотто еза и старгӀа. Динан дас, старгӀин коьрта тӀе куьйгаш а дехкина, юха цунна урс хьакха деза Везачу Элана хьалха.</verse>
				<verse number="5">Юха Везачу Элана лерина гӀуллакх дан къобалвинчу динан дас стеран цӀий гуламан четар чу дахьа деза.</verse>
				<verse number="6">Шен пӀелг цӀий чу а Ӏоьттина, Везачу Элана хьалха — Делан четаран уггар езачу чоьнна хьалха долчу кирхьанна йистехь — ворхӀазза цӀий пӀелга тӀера дӀатоха деза цо.</verse>
				<verse number="7">Везачу Элана хьалха гуламан четарна чохь болчу, шена тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀума ягочу кхерчан маӀех цӀий хьакха деза динан дас, ткъа дисна цӀий гуламан четарна чуволлучохь лаьттачу тӀехь дийнаташ дагочу кхерчан буха тӀе охьадотта деза цо.</verse>
				<verse number="8">8-10 Къинах долчу сагӀина йийначу стеран ерриг а мохь схьаяккха еза, бертан сагӀанах мохь схьа-ма-йоккху: чухулара а, чоконна тӀера а ерриг а мохь, ший жим а, юкъа тӀехь йолу мохь а, доӀаха тӀера мохь а (иза жаннашца цхьаьна яккха еза). Дийнаташ дагош болчу кхерча тӀехь яго еза уьш динан дас.</verse>
				<verse number="9">***</verse>
				<verse number="10">***</verse>
				<verse number="11">Стеран неӀ а, цуьнан дерриг жижиг а, корта а, когаш а, чоко а, боьхаллаш а</verse>
				<verse number="12">меттамотт болчуьра арахьа, Далла хьалха цӀена йолчу метте а яьхьна, чим дӀакхуссучохь, дечиган цӀера тӀехь яго еза. Чим дӀакхуссучохь яго еза уьш.</verse>
				<verse number="13">Нагахь санна дерриге а Исраилан халкъо ларамаза къа латадахь, Везачу Эло тӀедехкина парзаш а талхош, дан ца мегарг дахь, иза бехке хир ду.</verse>
				<verse number="14">Шайн къинах дерг хиъча, наха дерриг а халкъана тӀера къинан сагӀина къона старгӀа яло еза. Везачу Элан четарна хьалха дӀахӀотто еза иза.</verse>
				<verse number="15">Халкъана юкъара къаноша, шайн куьйгаш стеран коьрта тӀе а дехкина, урс хьакха деза цунна Везачу Элана хьалха.</verse>
				<verse number="16">Везачу Элана лерина гӀуллакх дан къобалвинчу динан дас стеран цӀий гуламан четарна чу дахьа деза.</verse>
				<verse number="17">Шен пӀелг стеран цӀий чохь баша а бина, Везачу Элана хьалха — Делан четаран уггар езачу чоьнна хьалха долчу кирхьанна йистехь — ворхӀазза цинцаш дӀатоха деза динан дас.</verse>
				<verse number="18">Везачу Элана хьалха гуламан четарна чохь лаьттачу, тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀума ягочу кхерчан маӀех цӀий хьакха деза цо, ткъа дисна цӀий гуламан четарна чуволлучохь лаьттачу, тӀехь дийнаташ дагочу кхерчан буха тӀе охьадотта деза.</verse>
				<verse number="19">Ерриг а мохь, стеран чорха чуьра схьа а яьккхина, кхерча тӀехь яго еза.</verse>
				<verse number="20">Къинах долчу сагӀина йийначу старгӀица диннарг дан деза кху старгӀица а. Иштта динан дас царна тӀера къа дӀадоккхур ду, тӀаккха Дала царна гечдийр ду.</verse>
				<verse number="21">СтаргӀа, меттаматтал арахьа а яьккхина, яго еза, хьалхалерниг санна. Иза халкъо латийначу къинах долу сагӀа ду.</verse>
				<verse number="22">Нагахь санна куьйгалхочо ларамаза къа латадахь, шен Везачу Дала тӀедехкина парзаш а талхош, дан ца дезарг дахь, иза бехке хир ву.</verse>
				<verse number="23">Ша къа латийнийла хиъча, сагӀина цхьа а айп доцу бож яло еза цо.</verse>
				<verse number="24">Божан коьрта тӀе куьг а диллина, дийнаташ дагоран сагӀина далийна бежанаш дойучу меттехь цунна урс хьакха деза цо Везачу Элана хьалха. Иза къинах долу сагӀа ду.</verse>
				<verse number="25">Динан дас шен пӀелгаца схьаэцна долу бежанан цӀий хьакха деза дийнаташ дагочу кхерчан маӀех, ткъа дисина цӀий цу кхерчан буха тӀе охьадотта деза цо.</verse>
				<verse number="26">Ерриг а мохь кхерча тӀехь яго еза, бертан сагӀа доккхуш мохь ягош ма-хиллара. Иштта динан дас куьйгалхочо латийна къа дӀадоккхур ду, тӀаккха Дала цунна гечдийр ду.</verse>
				<verse number="27">Нагахь халкъана юкъара цхьаммо ларамаза къа латадахь, Везачу Эло тӀедехкина парзаш а талхийна, дан ца дезарг дахь, иза бехке хир ву.</verse>
				<verse number="28">Ша къа латийнийла хиъча, сагӀина цхьа а айп доцу газа яло еза цо латийначу къинах.</verse>
				<verse number="29">Газанан коьрта тӀе куьг а диллина, къинах долчу сагӀина лерина цунна урс хьакха деза цо дийнаташ дагоран сагӀина бежанаш дойучу меттехь.</verse>
				<verse number="30">Динан дас шен пӀелгаца, схьа а эцна, цуьнан цӀий хьакха деза дийнаташ дагочу кхерчан маӀех, ткъа дисина цӀий цу кхерчан буха тӀе охьадотта деза цо.</verse>
				<verse number="31">Бертан сагӀа доккхуш схьакъастош йолу мохь санна, газанан ерриг а мохь схьакъасто еза. Динан дас кхерча тӀехь яго еза иза, Везачу Элана тамехь йолу хьожа хилийта. Иштта динан дас цу стагана тӀера къа дӀадоккхур ду, тӀаккха Дала цунна гечдийр ду.</verse>
				<verse number="32">Нагахь оцу къа латийначу стага къинах долчу сагӀина Ӏахар балабахь, иза цхьа а айп доцуш болу стениг хила беза.</verse>
				<verse number="33">Цуьнан коьрта тӀе куьг а диллина, къинах долчу сагӀина лерина цунна урс хьакха деза дийнаташ дагоран сагӀина бежанаш дойучу меттехь.</verse>
				<verse number="34">Динан дас шен пӀелгаца схьаэцна цу Ӏахаран цӀий хьакха деза дийнаташ дагочу кхерчан маӀех, ткъа дисна цӀий кхерчан буха тӀе охьадотта деза цо.</verse>
				<verse number="35">Ӏахаран ерриг а мохь схьакъасто еза, бертан сагӀа доккхуш бийначу Ӏахаран санна. Динан дас кхерча тӀехь, кхидолчу дохучу сагӀанашца цхьаьна, яго еза иза Везачу Элана сагӀина лерина. Иштта динан дас оцу стага латийна къа дӀадоккхур ду, тӀаккха Дала цунна гечдийр ду’“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">«Нагахь стаг, цхьа хӀума гина я цунах лаьцна хезна, теш велахь, шена хуучух чӀагӀо е аьлча, цо иза ца яхь, тӀаккха иза бехке ву, цо жоп дала деза.</verse>
				<verse number="2">Стаг хьарам йолчу хӀуманах дӀахьакхавала тарло. Хуьлийла иза делла хьарам экха, я хьарам хьайба, я хьарам текхарг, стагана ша цунах дӀахьакхавеллий ца хаахь а, иза бехке а, Далла хьалха боьха а ву.</verse>
				<verse number="3">Адамца доьзна долчу муьлххачу а Далла хьалха цӀена доцучу хӀуманах, шена а ца хууш, стаг хьакхавеллехь, амма тӀаьхьа цунна и хиънехь а, иза бехке ву.</verse>
				<verse number="4">Ойла а ца еш, цхьа хӀума дийр ду аьлла, чӀагӀо ян там бу стага. И хӀума вон я дика хила мега — башхо яц. Стага ца хууш чӀагӀо яхь, амма цунна иза юха дагайоггӀушехь цуьнан бехк хир бу.</verse>
				<verse number="5">Нагахь санна стага оцу дийцинчех цхьа къа латийнехь, цо нахана хьалха даре дан деза шегара даьллачунна.</verse>
				<verse number="6">Ша латийначу къинна, гӀуда санна, цо Везачу Элана лерина сагӀа даккха деза, уьстагӀ я газа а ейтина. Иштта динан дас цу стага латийна къа дӀадоккхур ду.</verse>
				<verse number="7">Нагахь санна шен уьстагӀ бен таро яцахь, Везачу Элана лерина ши кхокха (я ши къоркхокха) гӀуда санна бан беза цо, цхьа кхокха къинан сагӀина, ткъа важа дагоран сагӀа санна.</verse>
				<verse number="8">И ши кхокха динан дега дӀабала беза. Цо къинан сагӀина болчу кхокханан лаг хадор ду, амма корта схьабоккхур бац.</verse>
				<verse number="9">Оцу кхокханан цӀий цо сагӀа доккхучу кхерчан агӀонах тухур ду, ткъа диснарг кхерчан когашна улло охьадуттур ду. Иза къинна дуьхьал даьккхина сагӀа хир ду.</verse>
				<verse number="10">ШолгӀа кхокха дагоран сагӀа доккхуш багор бу динан дас, тӀедиллина ма-хиллара. Иштта динан дас цу стага латийна къа дӀадоккхур ду, тӀаккха цунна Дала гечдийр ду.</verse>
				<verse number="11">Нагахь санна ши кхокха бан а стеган таро ца хилахь, ша латийначу къинна дуьхьал бархӀ кад дама дан деза цо. Демах даьтта а, ягийна хаза хьожа йогӀу хӀума а ма тоха, хӀунда аьлча иза къинан сагӀа ду.</verse>
				<verse number="12">Къа латийначу стага и дама динан да волчу схьадан деза. Динан дас, Везачу Элана деана хиларан билгалонна цхьа кана схьа а эцна, дама кхерча тӀехь дагор ду кхачанан сагӀа санна.</verse>
				<verse number="13">Иштта динан дас цу стага латийна къа дӀадоккхур ду, Дала а цунна гечдийр ду. СагӀа даьккхича дисина дама динан дена догӀуш ду, кӀен сагӀа а хилла».</verse>
				<verse number="14">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="15">«Нагахь санна стага, Везачу Элана догӀуш дерг дӀа а ца луш, ларамаза къа латадахь, цхьа а сакхт доцу ка бан беза цо шегара даьллачунна тӀера. Коьман мах дато шекхал ахча хӀотто беза ахь (шекхал Езачу Меттигехь лелош долчу барамехь хила деза), даьллачунна гӀуда такхаран сагӀина лерина.</verse>
				<verse number="16">Цо ша хӀинццалц ца делларг дӀадала деза. ДӀадала дезачунна тӀе пхоьалгӀа дакъа а тоьхна, иза динан дега дӀадала деза. Иштта динан дас цу стага латийна къа дӀадоккхур ду. Цо гӀуда такхаран сагӀа а лерина, ка схьаоьцур бу, тӀаккха Дала а цу стагана гечдийр ду.</verse>
				<verse number="17">Нагахь санна стага Везачу Эло тӀедехкина парзаш талхош, дан ца дезарг динехь, иза бехке ву, цо шегара даьллачунна жоп дала деза, ца хууш и даьллехь а.</verse>
				<verse number="18">Цо динан да волчу сакхт доцу ка бахьа беза гӀуда такхаран сагӀина лерина, ахь хадийначу мехах. Иштта динан дас цу стага ларамаза латийна къа дӀадоккхур ду, тӀаккха Дала а гечдийр ду цунна.</verse>
				<verse number="19">Везачу Элана дуьхьал даьллачу хӀуманна а стаг бехке ву, цундела цо гӀуда такхаран сагӀа даккха деза».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="6">
				<verse number="1">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="2">«Цхьаммо, Везачу Элана хьалха цатешаме а хуьлуш, къа лато тарло. Масала, цунах тешна цхьа хӀума йитина я цхьана ханна дӀаелла хилла, ткъа цунах лаьцна цуьнан уллораниг Ӏехо тарло цо. Я, масала, цхьа хӀума шен уллорачух лачкъийна цо. Я цхьаъ леван тарло цо.</verse>
				<verse number="3">Я цхьа хӀума а карийна, иза къайладаккха тарло цо. Я муьлххачу а шегара даьллачу къинах цо харцдуй баа тарло, цу бахьанина къа а латош.</verse>
				<verse number="4">Оцу тайпана къа а латийна, бехке волчу стага ша лачкъийнарг, я схьадаьккхинарг, я шега делларг, я шена карийнарг,</verse>
				<verse number="5">я шех лаьцна харцдуй биъна хӀума юхадала деза. ДогӀург дерриг дӀа а делла, цу тӀе пхоьалгӀа дакъа тоха деза цо. ГӀуда такхаран сагӀа доккхучу дийнахь цу хӀуманан дега дӀадала деза цо иза.</verse>
				<verse number="6">Шен бехк хиларна цу стага Везачу Элана лерина гӀуда такхаран сагӀа даккха деза. Динан да волчу цхьа а сакхт доцу а, богӀучу мехах болу а ка бало беза цо.</verse>
				<verse number="7">Иштта Везачу Элана хьалха динан дас цу стага латийна къа дӀадоккхур ду, тӀаккха Дала цуьнгара девллачу дерриге а къиношна гечдийр ду цунна».</verse>
				<verse number="8">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="9">«АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а дӀаала: дийнаташ дагоран сагӀанах долу тӀедуьллург ду хӀара. Кхерча тӀехь дагош долу дийнаташ буьйсанна сахиллалц цӀера тӀехь дита деза, кхерчан цӀе а, ца йовш, яга езаш ю.</verse>
				<verse number="10">Динан дас чухула а, тӀехула а дуткъачу кӀадих йина бедарш юха еза. Кхерча тӀера дийнат дагийна бисна чим, схьа а эцна, кхерча улло охьабилла беза цо.</verse>
				<verse number="11">Цул тӀаьхьа, шен бедарш схьа а яьхна, кхин бедарш а юьйхина, меттаматтал арахьа, Далла хьалха цӀена йолчу метте, чим дӀабахьа беза цо.</verse>
				<verse number="12">Кхерча тӀера цӀе, ян ца йовш, яга езаш ю цу хенахь. ХӀора Ӏуьйранна динан дас кхерча тӀе дечиг тилла деза, цу тӀе дийнаташ дагоран сагӀа а дилла деза, иштта бертан сагӀанах йолу мохь цу тӀехь яго а еза.</verse>
				<verse number="13">ЦӀе кхерча тӀехь гуттар а яга езаш ю, дӀа а ца йовш».</verse>
				<verse number="14">«КӀен сагӀанах долу тӀедиллинарг ду хӀара: динан дайша, АхӀаронан кӀенташа, сагӀа доккхучу кхерчана дуьхьал Везачу Элана лерина дан деза иза.</verse>
				<verse number="15">КӀен сагӀанах цхьа кана тоьлла кӀен дама схьаэца деза динан дас. Зайтдаьттанца а, мел долчу ливанаца а и дама э а дина, иза кхерча тӀехь даго деза. Дерриге а Везачу Элана сагӀина дӀаделла хиларан билгало хир ю иза.</verse>
				<verse number="16">КӀен сагӀанах диснарг АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а дӀадаа деза. Езачу меттехь, гуламан четар долчу кертахь, совсаза а долуш, даа деза цара и сагӀа.</verse>
				<verse number="17">Морза а тухуш, датта ца деза кӀен сагӀин бепиг. Ас Сайн сагӀанех динан дайшна луш долу дакъа ду иза. Къинах долчу сагӀанах а, гӀуда такхаран сагӀанах а тера долу чӀогӀа деза сагӀа ду иза.</verse>
				<verse number="18">АхӀаронан тӀаьхьенах болчу массо а божарша даа мегаш ду и сагӀа. Церан тӀаьхьенашна гуттаренна а Везачу Элан сагӀанах долу дакъа ду иза. Цунах дӀахьакхаделларг дерриг а деза хир ду».</verse>
				<verse number="19">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="20">«АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а иза даьттанца къобалвечу дийнахь Везачу Элана лерина даккха дезаш долу сагӀа иштта хила деза: бархӀ кад тоьлла кӀен дама дан деза цара гуттар а доккхучу кӀен сагӀина лерина, царах ах — Ӏуьйранна, важа ах — суьйранна.</verse>
				<verse number="21">Зайтдаьттанца эдина дама кхийрачу пхьегӀи тӀехь кечдан деза. ТӀаккха, кеч а дина, дуззалц зайтдаьттанца э а дина, кӀен сагӀа санна, иза Везачу Элана даккха деза. Цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь хир ю.</verse>
				<verse number="22">АхӀаронан кӀентех волчу, даьттанца къобалвинчу динан дас даккха деза и сагӀа. Иза Везачу Эло гуттаренна а тӀедуьллуш долу парз ду. КӀен сагӀа дерриг а даго дезаш ду.</verse>
				<verse number="23">Динан дегара долу муьлхха а кӀен сагӀа даго деза, иза даа мегар дац».</verse>
				<verse number="24">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="25">«АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а дӀаала: къинах долчу сагӀанах лаьцна тӀедиллинарг иштта ду. Дийнаташ дагоран сагӀина бежанаш дойучу меттехь Везачу Элана хьалха урс хьакха деза къинах долчу сагӀина далийначу дийнатна. Иза чӀогӀа деза сагӀа ду.</verse>
				<verse number="26">Къинах долу сагӀа доккхуш волчу динан дас даа деза и сагӀа. Гуламан четар лаьттачу кертахь, езачу меттехь, даа деза цо иза.</verse>
				<verse number="27">Цу сагӀин жижигах хьакхаделларг дерриг а деза ду. Цуьнан цӀий тӀе а кхетта, бедарш бехйинехь, езачу меттехь хица цӀанъян еза уьш.</verse>
				<verse number="28">Кхийрачу пхьегӀи чохь цуьнан жижиг кхехкийнехь, и пхьегӀа йохо еза. ЦӀестан пхьегӀи чохь иза кхехкийнехь, и пхьегӀа цӀан а йина, йила еза.</verse>
				<verse number="29">Динан дайх болчу берриг а божарша даа мега и сагӀа. Иза чӀогӀа деза сагӀа ду.</verse>
				<verse number="30">Нагахь Езачу Меттехь адамийн къинош дӀадахархьама, къинах долчу сагӀин цӀий гуламан четарна чу даьхьнехь, и сагӀа даа мегар дац. Иза цӀера тӀехь даго деза».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="7">
				<verse number="1">«ХӀара ду гӀуда такхаран сагӀанах лаьцна тӀедиллинарг. Иза чӀогӀа деза сагӀа ду.</verse>
				<verse number="2">Дийнаташ дагоран сагӀина бежана дуьйччу меттехь урс хьакха деза гӀуда такхаран сагӀина дуьйчу дийнатна а. Цуьнан цӀий тоха деза сагӀа доккхучу кхерчана тӀе массо а агӀор.</verse>
				<verse number="3">Дийнатан ерриг а мохь сагӀина яккха еза: дума а, чухулара мохь а,</verse>
				<verse number="4">ший жим а, царна тӀера юкъа тӀехь йолу мохь а, доӀаха тӀера мохь а (иза жаннашца цхьаьна яккха еза).</verse>
				<verse number="5">Динан дас кхерча тӀехь Везачу Элана лерина ягор ю уьш. Иза гӀуда такхаран сагӀа ду.</verse>
				<verse number="6">Динан дайн тайпанах волчу массо а боьршачу стеган даа йиш ю и сагӀа. Иза езачу меттехь даа деза. ЧӀогӀа деза сагӀа ду иза.</verse>
				<verse number="7">Къинах долчу сагӀанах а, гӀуда такхаран сагӀанах а лаьцна тӀедиллинарг цхьаъ ду: цу сагӀанца стага летийна къинош дӀадохуш волчу динан дена дӀалуш ду иза.</verse>
				<verse number="8">Цхьаммо дийнаташ дагоран сагӀа даьккхича, дийнатан неӀ я цӀока и сагӀа даккхар дӀахьош волчу динан дена дуьсу.</verse>
				<verse number="9">Я пешахь, я ялгӀу тӀехь, я кхийрачу пхьегӀи тӀехь мел деттина кӀен сагӀа иза дӀахьочу динан дена дуьсу.</verse>
				<verse number="10">Даьттанца эдина я декъа долу муьлхха а кӀен сагӀа АхӀаронан кӀенташна дуьсу, цхьанна санна, вукхунна а».</verse>
				<verse number="11">«Везачу Элана лерина доккхучу бертан сагӀанах лаьцна тӀедиллинарг хӀара ду.</verse>
				<verse number="12">Цхьаммо и сагӀа баркаллин сагӀа санна даккхахь, сагӀа доккхучу дийнатца цхьаьна цо зайтдаьтта тоьхначу демах дина совсаза бепиг а, зайтдаьтта тӀехьаькхна дуткъа совсаза хьокхамаш а, зайтдаьттанца эдинчу тоьллачу демах йина совсаза локъамаш а схьаян еза.</verse>
				<verse number="13">Цул сов, морзанна тӀехь дина бепиг а схьадан деза цо, баркаллина бертан сагӀа доккхуш.</verse>
				<verse number="14">Ша деанчу хӀуманех цхьацца Везачу Элана лерина хилийта еза цо. Бертан сагӀин цӀий тухучу динан дена дуьсу иза.</verse>
				<verse number="15">Баркаллина даьккхинчу бертан сагӀин жижиг цу дийннахь даа деза, цунах хӀумма а Ӏуьйренга далийта мегар дац.</verse>
				<verse number="16">Нагахь цхьаммо сагӀа шен нигатца я даггара болчу лаамца доккхуш делахь, сагӀин жижиг цу дийннахь даа деза, бухадиснарг шолгӀачу дийнахь а даа мегар ду.</verse>
				<verse number="17">Ткъа сагӀин жижиг кхоалгӀачу дийне далахь, иза цӀера тӀехь даго деза.</verse>
				<verse number="18">Нагахь цхьаммо цу сагӀин жижиг кхоалгӀачу дийнахь даахь, и сагӀа къобал хир дац. СагӀа даьккхинчунна цхьа а шапаӀат хир дац иза бахьанехь, хӀунда аьлча и сагӀа Везачу Элана хьалха боьха хилла. Жижиг диинарг бехке а ву, шегара даьллачух жоп дала а деза цо.</verse>
				<verse number="19">Нагахь цу сагӀин жижиг Далла хьалха боьха йолчу хӀуманах хьакхалахь, иза даа мегар дац, и жижиг цӀера тӀехь даго деза. Далла хьалха муьлххачу а цӀеначу стага бертан сагӀин жижиг даа мегар ду.</verse>
				<verse number="20">Нагахь Далла хьалха цӀена воцучу стага Везачу Элана леринчу бертан сагӀин жижиг даахь, иза шен халкъана юкъара дӀаваккха веза.</verse>
				<verse number="21">Нагахь цхьа стаг, Далла хьалха цӀена йоцучух — адамах я дийнатах, я текхаргех — а хьакхавелла, бертан сагӀин жижиг даа хӀоттахь, иза шен халкъана юкъара дӀаваккха веза».</verse>
				<verse number="22">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="23">«ДӀаала исраилхошка: „Стеран а, уьстагӀан а, газанан а цхьа а тайпа мохь ма яа.</verse>
				<verse number="24">Деллачу а, экхано цистинчу а дийнатан мохь шен гӀуллакхна хьажо мегар ду, амма яа мегар дац.</verse>
				<verse number="25">Везачу Элана леринчу сагӀина дийначу дийнатан мохь йиънарг шен халкъана юкъара дӀавоккхур ву.</verse>
				<verse number="26">Миччанхьа шаьш Ӏаш делахь а бежанийн а, олхазарийн а цхьа а тайпа цӀий ма даалаш.</verse>
				<verse number="27">Цхьаммо и цӀий даахь, иза шен халкъана юкъара дӀавоккхур ву“».</verse>
				<verse number="28">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="29">«ДӀаала исраилхошка: „Везачу Элана лерина бертан сагӀа доккхуш волчо цу сагӀин цхьа дакъа Везачу Элана хьалха дахьа деза.</verse>
				<verse number="30">Шен куьйгашца цӀера тӀехь доккху сагӀа схьадан деза цо. Шатайпа сагӀа санна, Везачу Элана хьалха дахьа деза цо махьарца долу некха тӀера жижиг.</verse>
				<verse number="31">Мохь динан дас кхерча тӀехь ягор ю, ткъа некха тӀера жижиг АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а дуьсур ду.</verse>
				<verse number="32">Бертан сагӀанах долу дийнатан аьтту гӀогӀ совгӀатна динан дена дӀадала деза.</verse>
				<verse number="33">АхӀаронан кӀентех бертан сагӀа, цӀий а даьккхина, мохь а ягийна, кхочушдинчунна дӀадала деза аьтту гӀогӀ.</verse>
				<verse number="34">ХӀунда аьлча Ас исраилхошкара бертан сагӀанах шатайпа сагӀина луш долу некхан жижиг а, совгӀатна луш долу аьтту гӀогӀ а, схьа а эцна, АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а дӀаделла. Исраилан халкъо гуттар а иза динан дайшна дӀадала дезаш ду.</verse>
				<verse number="35">Везачу Элана цӀера тӀехь даьхначу сагӀанех долу дакъош ду уьш, АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а луш долу, Везачу Элана динан гӀуллакх дан уьш къобалбичхьана дуьйна.</verse>
				<verse number="36">Везачу Эло тӀедиллинера, исраилхоша царна и дакъош лур ду аьлла, даьтта тӀе а доьттина, уьш къобалбинчу дийнахь дуьйна. Царна и дакъош далар исраилхошна гуттаренна а тӀедиллина ду“».</verse>
				<verse number="37">Иштта бу дийнаташ дагоран а, кӀен а, къинах долу а, гӀуда такхаран а, вазваран а, бертан а сагӀанех лаьцна болу хьехам.</verse>
				<verse number="38">Везачу Эло Мусана бовзийтина иза Синай-лам тӀехь, Ша исраилхошка Синайн яьссачу арахь Шена лерина сагӀанаш даха аьллачу хенахь.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="8">
				<verse number="1">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="2">«АхӀарон а, цуьнан кӀентий а схьабалабе, царна тӀеюху еза бедарш а, къобалваран даьтта а схьаэца, къинан сагӀа даккха старгӀа а, ши ка а балабе, цхьа тускар совсаза бепиг а да,</verse>
				<verse number="3">гуламан четарна чуволлучохь дерриг а халкъ схьа а гулде».</verse>
				<verse number="4">Везачу Эло тӀе-ма-диллара, гӀуллакх кхочушдира Мусас. Халкъ гуламан четарна чуволлучохь схьагулделира.</verse>
				<verse number="5">Мусас элира нахе: «ХӀара ду Везачу Эло кхочушдан тӀедиллинарг».</verse>
				<verse number="6">АхӀарон а, цуьнан кӀентий а, схьа а балийна, хица лийчийра Мусас.</verse>
				<verse number="7">АхӀаронна тӀе коч а юьйхина, юкъах доьхка а дихкина, тӀехула оба юьйхира Мусас, юха тӀе ийпад а юьйхина, юкъах ийпадан доьхка а дихкира, цуьнца АхӀаронна тӀехь ийпад а чӀагӀйира цо.</verse>
				<verse number="8">Цунна тӀе некха хьалха уллуш болу беза тӀоьрмаг а оьллина, цу чу Урим а, Тумим а цӀераш йолу ши тӀулг биллира Мусас.</verse>
				<verse number="9">АхӀаронан коьрта тӀе чалба а тиллина, чалбанна хьалха агӀор иза Везачу Элана лерина ву аьлла таж долу дашо экъа оьллира, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара.</verse>
				<verse number="10">Къобалдаран даьттанах цхьа дакъа схьа а эцна, иза четарна а, цу чохь долчунна а тӀе а доьттина, и дерриг а къобалдира Мусас.</verse>
				<verse number="11">ВорхӀазза сагӀа доккхучу кхерча тӀе даьтта а тоьхна, кхерчана а, цуьнан гӀирсашна а, юьхь-куьгдуьлургана а, цуьнан буьхана а тӀе даьтта доьттира уьш къобалъян.</verse>
				<verse number="12">АхӀаронан коьрта тӀе даьтта доьттира Мусас, иза къобалвархьама.</verse>
				<verse number="13">АхӀаронан кӀентий схьа а балийна, царна тӀе кучамаш а юьйхина, юкъах доьхкарш а дихкина, кортош тӀе кӀадинан асанаш йихкира Мусас, Везачу Эло шена тӀе-ма-диллара.</verse>
				<verse number="14">Къинан сагӀина лерина старгӀа схьаялийра Мусас. Юха АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а старгӀин коьрта тӀе куьйгаш дехкира.</verse>
				<verse number="15">СтаргӀина урс а хьаькхна, шен пӀелгаца схьаэцна цӀий кхерчан маӀех хьаькхира Мусас. Иштта кхерч къинойх цӀанбира цо. Юха, дисина цӀий кхерчан буха тӀе охьа а доьттина, кхерч къобалбира цо, иза Далла хьалха цӀена хилийта.</verse>
				<verse number="16">Бежанна чуьра ерриг мохь а, доӀаха тӀера мохь а, шайн махьарца ший жим а, схьа а эцна, кхерча тӀехь багийра Мусас.</verse>
				<verse number="17">Ткъа старгӀанах йиснарг — цуьнан неӀ а, жижиг а, боьхаллаш а — меттаматтал арахьа а яьхна, цӀера тӀехь ягийра цо, Везачу Эло шена тӀе-ма-диллара.</verse>
				<verse number="18">Дийнаташ дагоран сагӀина ка схьабалийра Мусас. АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а коьман коьрта тӀе куьйгаш дехкира.</verse>
				<verse number="19">Коьмана урс а хьаькхна, цуьнан цӀий массо а агӀор сагӀа доккхучу кхерчана тӀе туьйхира Мусас.</verse>
				<verse number="20">20-21 Ка дакъошка бекъа а бекъна, чоко а, когаш а хица била а билина, берриг а ка — корта а, дакъош а, мохь а — кхерча тӀехь, дийнат дагоран сагӀа санна, багийра Мусас. Везачу Элана тамехь долу, цӀера тӀехь даьккхина сагӀа дара иза, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара.</verse>
				<verse number="21">***</verse>
				<verse number="22">Мусас кхин ка схьабалийра, иза АхӀарон вазварна лерина бара. АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а коьман коьрта тӀе куьйгаш дехкира.</verse>
				<verse number="23">Коьмана урс а хьаькхна, цуьнан цӀий, жимма схьаэцна, АхӀаронан аьтту лерган дума тӀе а, аьтту куьйган нана-пӀелга тӀе а, аьтту коган нана-пӀелга тӀе а хьаькхира Мусас.</verse>
				<verse number="24">АхӀаронан кӀентий тӀе а балийна, церан массеран а аьтту лерган дума тӀе а, аьтту куьйган нана-пӀелга тӀе а, аьтту коган нана-пӀелга тӀе а цӀий хьаькхира Мусас. Кхерчана массо а агӀор дисна цӀий туьйхира цо.</verse>
				<verse number="25">Мохь а, дума а, чоконна тӀера ерриг мохь а, доӀаха тӀера мохь а, шайн махьарца ший жим а, аьтту гӀогӀ а схьаийцира Мусас.</verse>
				<verse number="26">Везачу Элана хьалха хӀоттийначу, совсаза бепиг чохь долчу тускар чуьра совсаза цхьа бепиг а, зайтдаьтта тоьхначу демах дина совсаза цхьа бепиг а, зайтдаьтта тӀехьаькхна буткъа совсаза цхьа хьокхам а, схьа а эцна, махьарна а, аьтту гӀогӀана а тӀе диллира Мусас.</verse>
				<verse number="27">АхӀаронан а, цуьнан кӀентийн а куьйгашна тӀе а дехкина, цаьрга и дакъош, Везачу Элана лерина шатайпа сагӀа санна, хьалаайийтира цо.</verse>
				<verse number="28">Юха, церан карара уьш схьа а эцна, кхерча тӀехь дийнаташ дагоран сагӀанца дагийра цо. Иза Везачу Элана лерина, цӀера тӀехь даьккхина, вазваран сагӀа ду, цуьнан хьожа Цунна тамехь ю.</verse>
				<verse number="29">Некхан жижиг, схьа а эцна, Везачу Элана лерина шатайпа сагӀа санна хьалаайира Мусас. АхӀарон вазваран сагӀина леринчу коьмах долу Мусан дакъа дара иза, Везачу Эло цунна тӀе-ма-диллара.</verse>
				<verse number="30">Къобалдаран даьтта а, кхерча тӀера цӀий а, жимма схьа а эцна, АхӀаронна а, цуьнан бедаршна а, АхӀаронан кӀенташна а, церан бедаршна а тӀе туьйхира Мусас. Иштта АхӀарон а, цуьнан кӀентий а, церан бедарш а къобалйира цо.</verse>
				<verse number="31">АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а Мусас элира: «Гуламан четарна чуволлучохь жижиг а кхехкадай, цуьнца цхьаьна къобалдарна леринчу тускарна чуьра бепиг даа, суна тӀедиллина ма-хиллара: „АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а даа деза иза“.</verse>
				<verse number="32">Жижигах а, баьпках а бухайисина юьхкаш цӀера тӀехь ягае.</verse>
				<verse number="33">ВорхӀ дийнахь гуламан четарна хьалхара дӀа ма довла, шаьш даздаран денош чекхдовллалц, хӀунда аьлча шун даздар ворхӀ дийнахь дӀадахьа деза.</verse>
				<verse number="34">Тахана кхочушдинарг Везачу Эло тӀедиллина дара, аша латийна къа дӀадаккхархьама.</verse>
				<verse number="35">Дийнахь а, буса а гуламан четарна чуволлучохь Ӏийр ду шу ворхӀ дийнахь, Везачу Эло бохург а деш, шаьш хӀаллак ца хилийта. Иштта иза тӀедиллина суна Везачу Эло».</verse>
				<verse number="36">АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а Везачу Эло Мусагахула тӀедиллинарг кхочушдира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="9">
				<verse number="1">БорхӀалгӀачу дийнахь АхӀарон а, цуьнан кӀентий а, исраилхойн къаной а схьакхайкхира Мусас.</verse>
				<verse number="2">Цо элира АхӀароне: «Цхьа а сакхт доцу старгӀа а, ка а балабе Везачу Элана хьалха хӀотто. Старах къинан сагӀа даккха, ткъа коьмах дийнаташ дагоран сагӀа даккха.</verse>
				<verse number="3">Исраилхошка ала: „Къинан сагӀа даккха бож а, дийнаташ дагоран сагӀа даккха цхьа а сакхт доцу шо кхаьчна шинар а, оццул хан йолу цхьа а сакхт доцу Ӏахар а балабе.</verse>
				<verse number="4">Везачу Элана хьалха бертан сагӀа даккхархьама, сту а, ка а балабе, ткъа иштта даьттанца эдина кӀен сагӀа а даккха, хӀунда аьлча тахана шуна Веза Эла гучувер ву“».</verse>
				<verse number="5">Мусас да аьлла тӀедиллинарг гуламан четарна дуьххьал охьа а диллина, Везачу Элана хьалха хӀоьттира дерриг а халкъ.</verse>
				<verse number="6">Мусас элира: «Везачу Эло тӀедиллинарг дерриг а кхочушдан деза аш, тӀаккха Везачу Элан олаллин нур схьахӀуттур ду шуна».</verse>
				<verse number="7">АхӀароне Мусас элира: «СагӀа доккхучу кхерчана тӀе а гӀой, хьайна тӀера къинан сагӀа а даккха, дийнаташ дагоран сагӀа а кхочушде, ахьа а, халкъо а летийна къинош дӀадахархьама. Халкъо деана совгӀаташ схьаэца, наха летийна къинош дӀадахархьама, Везачу Эло тӀе-ма-диллара».</verse>
				<verse number="8">Кхерчана тӀе а вахана, шена тӀера, къинан сагӀина лерина, старана урс хьаькхира АхӀарона.</verse>
				<verse number="9">КӀенташа цӀий деара АхӀаронна тӀе, цу чохь шен пӀелг а башийна, кхерчан маӀашна тӀе хьаькхира цо, ткъа дисина цӀий кхерчан буьхе охьадоьттира.</verse>
				<verse number="10">Къинан сагӀанах йолу мохь а, жаннаш а, доӀаха тӀера мохь а кхерча тӀехь ягийра цо, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара,</verse>
				<verse number="11">ткъа жижиг а, неӀ а цӀера тӀехь дагийра, меттаматтал ара а даьккхина.</verse>
				<verse number="12">Юха дийнаташ дагоран сагӀина леринчу бежанна урс хьаькхира АхӀарона. Цуьнан кӀенташа цӀий тӀедеара цунна. Цо иза массо а агӀор кхерчана тӀе туьйхира.</verse>
				<verse number="13">Дийнаташ дагоран сагӀина урс хьаькхначу бежанан дакъош а, корта а цара цхьацца шена схьадеача, кхерча тӀехь дагадора цо,</verse>
				<verse number="14">ткъа чоконаш а, когаш а, била а билина, вукху дакъошца кхерча тӀехь багийра.</verse>
				<verse number="15">Цул тӀаьхьа АхӀарона халкъан сагӀа даьккхира. Халкъана тӀера долчу къинан сагӀина лерина йолу бож схьа а эцна, ен а йийна, и къинан сагӀа Везачу Элана даьккхира цо, хьалха шена тӀера сагӀа даккхаре терра.</verse>
				<verse number="16">Дийнаташ дагоран сагӀа а даьккхира цо, Везачу Эло тӀе-ма-диллара.</verse>
				<verse number="17">Иштта, кӀен сагӀа а даьккхина, цунах цхьа кана а юьзна, юха кхерча тӀехь Ӏуьйранна даьккхинчу дийнаташ дагоран сагӀина тӀехула иза дагийра цо.</verse>
				<verse number="18">Сту а, ка а бийра цо, халкъана долчу бертан сагӀина лерина. Цуьнан кӀенташа цӀий тӀедеара цунна. Цо иза массо а агӀор кхерчана тӀетуьйхира.</verse>
				<verse number="19">КӀенташа схьаеара цунна стеран а, коьман а мохь: дума а, чоконна тӀера мохь а, жаннаш а, доӀаха тӀера мохь а.</verse>
				<verse number="20">Цара мохь некхан жижигна тӀе йиллича, цо иза, схьа а эцна, кхерча тӀехь ягийра.</verse>
				<verse number="21">Некхан жижиг а, аьтту гӀогӀ а, Везачу Элана лерина шатайпа сагӀа санна даьккхира АхӀарона, Мусас тӀе-ма-диллара.</verse>
				<verse number="22">Халкъехьа дӀа а вирзина, айинчу куьйгашца иза декъал а дина, чувоьссира АхӀарон, къинан а, дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш а даьхна.</verse>
				<verse number="23">ТӀаккха Муса а, АхӀарон а гуламан четарна чувелира. Цигара араваьлча, халкъ декъалдира цу шимма. Дерриг а халкъана Везачу Элан олаллин нур гучуделира.</verse>
				<verse number="24">Везачу Элера схьайолучу цӀеро кхерча тӀера дийнаташ дагоран сагӀина дийна бежана а, мохь а дӀакхаьллира. И дерриге а гина халкъ, инзардаларца маьхьарий а тоьхна, бертал суждана дахара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="10">
				<verse number="1">АхӀаронан кӀенташа, Надаба а, АбихӀус а, хӀораммо а богуш болу кӀора дӀасабахьа шен ной схьа а эцна, цу чу цӀе а, хаза хьожа йогӀу хӀума а йиллира. Амма Цунна хьалха цара еана цӀе хийра яра, хӀунда аьлча Везачу Эло царна тӀе ца диллинера ишттаниг дан.</verse>
				<verse number="2">ЦӀеххьана Везачу Элера цӀе елира, ткъа оцу цӀеро уьш дӀакхаьллира. Иштта и шиъ Везачу Элана хьалха велира.</verse>
				<verse number="3">Мусас элира АхӀароне: «ХӀара дара Везачу Элана ала лууш хилларг, Цо иштта аьлча: „Суна уллохь болчара Со Веза хилар лара деза, ткъа дерриг а халкъана хьалха Сан сийлалла къобалдан деза“». Амма АхӀарон вист а ца хуьлура.</verse>
				<verse number="4">АхӀаронан девешин Ӏузиалан шина кӀанте, Мишаале а, Элцапане а, схьа а кхайкхина, Мусас элира: «Даха а гӀой, шайн шичой Делан цӀенна чуьра меттаматтал арахьа дӀахьо».</verse>
				<verse number="5">ДӀа а вахана, динан дайн духарш тӀехь долу белларш меттаматтал арахьа дӀабаьхьира цу шиммо, Мусас шайна тӀе-ма-диллара.</verse>
				<verse number="6">АхӀароне а, цуьнан шина кӀанте, ЭлиӀазаре а, Итамаре а, Мусас элира: «Сингаттаман билгалонна шайн коьртара месаш низам доцуш ма хилийта, духарш а ма этӀаде, шаьш ца далийта а, халкъана тӀе Делан оьгӀазалла ца яийта а. Амма шун вежарий долу дерриг а Исраилан халкъ Везачу Эло латийначу цӀеро багийначарна тийжа мегар ду.</verse>
				<verse number="7">Гуламан четарна чуволучунна уллора дӀа ма довла, шаьш хӀаллак ца дайта, хӀунда аьлча шуна тӀехь Везачу Элера долу вазваран даьтта ду». Мусас ма-аллара, кхочушдира дерриг а.</verse>
				<verse number="8">Везачу Эло АхӀароне элира:</verse>
				<verse number="9">«Гуламан четарна чудоьлхуш чагӀар а, вахош долу маларш а ма мала ахьа а, хьан кӀенташа а, шаьш хӀаллак ца дайта. Шун тӀаьхьенна гуттаренна а тӀедуьллуш ду иза,</verse>
				<verse number="10">шуьга дезаниг деза доцучух а, Далла хьалха цӀенаниг Цунна хьалха боьхачух а къастадайта а,</verse>
				<verse number="11">исраилхошна Везачу Эло Мусагахула довзийтина мел долу парзаш хьехийта а».</verse>
				<verse number="12">Мусас АхӀароне а, цуьнан бисинчу кӀенташка, ЭлиӀазаре а, Итамаре а, элира: «Везачу Элана цӀера тӀехь даьккхинчу кӀен сагӀанах дисинарг схьа а эций, цунах дина совсаза бепиг сагӀа доккхучу кхерчана уллохь дӀадаа, хӀунда аьлча и сагӀа чӀогӀа деза ду.</verse>
				<verse number="13">Езачу меттехь даа и бепиг, хӀунда аьлча иза Везачу Элана цӀера тӀехь даьхначу сагӀанех хьан а, хьан кӀентийн а дакъа ду. Иштта тӀедиллина суна Везачу Эло.</verse>
				<verse number="14">Шатайпа сагӀа санна даьккхинчу некхан жижиг а, гӀогӀ а даа Далла хьалха цӀена йолчу меттехь ахьа а, хьан кӀенташа а, мехкарша а, хӀунда аьлча иза хьуна а, хьан берашна а делла исраилхойн бертан сагӀанех долу дакъа ду.</verse>
				<verse number="15">Ерриг а мохь цӀера тӀехь йоккхуш йолчу хенахь цара гӀогӀ а, некхан жижиг а, шатайпа сагӀа санна, Везачу Элана даккха деза. И дакъош хьуна а, хьан берашна а гуттаренна а лерина ду, Везачу Эло тӀе-ма-диллара».</verse>
				<verse number="16">Къинан сагӀина лерина бож леррина лоьхуш вара Муса. Юха цунна хиира иза хӀинцале ягийнийла! АхӀаронан висинчу шина кӀантана, ЭлиӀазарна а, Итамарна а, оьгӀазвахара Муса:</verse>
				<verse number="17">«Къинан сагӀа езачу меттехь хӀунда ца диира аш? Иза чӀогӀа деза сагӀа ду! Халкъан бехк а, церан къинош а Везачу Элана хьалха дӀадахархьама, шуна делла ма дара иза.</verse>
				<verse number="18">Цуьнан цӀий гуламан четарна чу ца даьхьна дела, аш иза езачу меттехь даа дезаш дара, суна тӀедиллина ма-хиллара».</verse>
				<verse number="19">АхӀарона элира Мусага: «Цара тахана къинан сагӀа а, дийнаташ дагоран сагӀа а даьккхина Везачу Элана хьалха. Суна хилларг хьуна хаьа. Ас тахана къинан сагӀа диъча, Веза Эла суна резахир вуй те?»</verse>
				<verse number="20">Иштта жоп хезча, Муса цунна резахилира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="11">
				<verse number="1">Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира:</verse>
				<verse number="2">«ДӀаала исраилхошка: „Декъачу лаьтта тӀехь дехаш долчу массо а дийнатех шуна даа мегаш дерш хӀорш ду:</verse>
				<verse number="3">кӀоргга харш а долуш, шина декъе екъаелла берг йолу а, нох доккхуш долу а муьлхха а дийнат даа мегар ду.</verse>
				<verse number="4">Амма нох доккхуш долчу я шина декъе екъаелла берг йолчу дийнатех хӀорш ма даалаш: эмкало нох даккхахь а, цуьнан бергаш екъаелла яц. Иза шуна хьарам ю.</verse>
				<verse number="5">ГӀамарпхьагал а нох доккхуш ю, амма цуьнан когаш бекъабелла бац. Иза шуна хьарам ю.</verse>
				<verse number="6">Пхьагал а ю нох доккхуш, амма цуьнан когаш бекъабелла бац. Иза шуна хьарам ю.</verse>
				<verse number="7">Хьакха кӀорггера хоршаца шина декъе екъаелла бергаш а йолуш ю, амма цо нох ца доккху. Иза шуна хьарам ю.</verse>
				<verse number="8">Цу дийнатийн жижиг а ма даа, церан чархех куьг а ма Ӏотта. Уьш шуна хьарам ю.</verse>
				<verse number="9">Хи чохь а, хӀорда чохь а долчу дийнатех кӀеда а, онда а пелагаш дерш даа мегар ду.</verse>
				<verse number="10">Ткъа пелагаш доцурш, хи чохь а, хӀорда чохь а Ӏаш а, нека деш а дерш, шуна дегаза хета деза.</verse>
				<verse number="11">Уьш шуна хьарам ду: церан жижиг а ма даа, церан чархаш а дегаза а хета.</verse>
				<verse number="12">Хи чуьра пелагаш доцу массо а дийнаташ шуна дегаза ду.</verse>
				<verse number="13">Олхазарех хӀорш шуна хьарам а ю, яа мегаш а яц: аьрзу а, ломъаьрзу а, боца ког болу аьрзу а,</verse>
				<verse number="14">маккхал а, шен тайпанашца леча а,</verse>
				<verse number="15">шен тайпанашца муьлхха къиг а,</verse>
				<verse number="16">страус а, бухӀа а, чайка а, шен тайпанашца куьйра а,</verse>
				<verse number="17">соька а, чӀерийдохург а, ибис а,</verse>
				<verse number="18">бухӀа а, пеликан а, сип а,</verse>
				<verse number="19">аист а, шен тайпанашца зуя а, хӀуттут а, бирдолаг а.</verse>
				<verse number="20">ТӀемаш а долуш, лаьттахула текхаш йолу сагалматаш дегаза ю шуна.</verse>
				<verse number="21">ТӀемаш а долуш, лаьттахула текхачу сагалматех цхьаерш яа мегаш ю: лаьтта тӀехула кхиссаялархьама, шайн когашна тӀехула настарш ерш ю уьш.</verse>
				<verse number="22">Царах аша даа мегар ду: шен тайпанца цӀоз а, ткъа иштта шайн тайпанашца солӀам а, хьаргол а цӀераш йолу цӀоз а, шен тайпанашца цаьпцалг а.</verse>
				<verse number="23">Кхин муьлхха а тӀемаш долу а, лаьттахула текхаш йолу а сагалмат шуна дегаза ю.</verse>
				<verse number="24">ХӀинца дуьйцур долчу дийнаташа шу Далла хьалха боьха хуьлуьйтур ду. Церан чархех дӀахьакхавелларг сарралц Далла хьалха боьха хир ву.</verse>
				<verse number="25">Церан чарх схьаэцнарг шен бедарш йитта декхарийлахь ву, иза сарралц Далла хьалха боьха хир ву.</verse>
				<verse number="26">Берг екъаелла а йолуш, амма цунна юккъехь кӀорга харш а доцу, нох доккхуш а доцу дийнат шуна хьарам ду. Муьлхха а цунах дӀахьакхавелларг сарралц Далла хьалха боьха хир ву.</verse>
				<verse number="27">Беа кога тӀехь лелачу акхаройх тӀодаш тӀехь леларш шуна хьарам ю. Муьлхха а церан чархах дӀахьакхавелларг сарралц Далла хьалха боьха хир ву.</verse>
				<verse number="28">Церан чарх схьаэцначу муьлххачо а шен бедарш йитта еза, ткъа иза сарралц Далла хьалха боьха хир ву. И санна акхарой шуна хьарам ю.</verse>
				<verse number="29">Лаьттахула лелачу дийнатех шуна хьарам ю: шайн тайпанашца боьлкъазар а, дахка а, моьлкъа а,</verse>
				<verse number="30">ткъа иштта анака а, хамелеон а, летаа а, хомет а, тиншемет а цӀераш йолу моьлкъарчий а.</verse>
				<verse number="31">Лаьттахула лелачу дерриг а дийнатех уьш шуна хьарам ю. Уьш елла йолуш, царах дӀахьакхавелларг сарралц Далла хьалха боьха хир ву.</verse>
				<verse number="32">Нагахь санна царах цхьаъ, яла а елла, цхьана хӀуманна тӀе йожахь, и хӀума — дечиган пхьегӀа а, я бедар а, я тӀаьрсиг а, я гали а иза делахь — Далла хьалха боьха хир ю. Иза хи чу йилла еза. Сарралц иза Далла хьалха боьха хир ю, ткъа цул тӀаьхьа иза цӀена хир ю.</verse>
				<verse number="33">Цу дийнатех елла хӀума кхийрачу пхьегӀи чу йожахь, цу чохь ерг Далла хьалха боьха хир ю. И пхьегӀа йохо еза.</verse>
				<verse number="34">И санначу пхьегӀи чуьра хица йина яа хӀума шуна хьарам хир ю, ишттачу пхьегӀи чуьра молу хӀума а хьарам хир ю.</verse>
				<verse number="35">Церан чархах схьаяьлла тӀейоьжна хӀума а Далла хьалха боьха хир ю: кхийра пеш я кхийра кхерч бохо беза. Уьш Далла хьалха боьха хир бу, ткъа уьш шуна хьалха а боьха хир бу.</verse>
				<verse number="36">Нагахь иза чохь хи долу хьоста я гӀу елахь, и Далла хьалха цӀена юьсу, ткъа деллачу оцу дийнатех дӀахьакхавелларг Далла хьалха боьха хир ву.</verse>
				<verse number="37">Деллачу дийнатах схьаяьлла хӀума тӀейоьжна долу дӀадоь хӀу Далла хьалха цӀена дуьсу.</verse>
				<verse number="38">Ткъа шена тӀехь хи долчу хӀуьнна тӀе деллачу цу дийнатан цхьа хӀума йожахь, и хӀу Далла хьалха боьха хир ду.</verse>
				<verse number="39">Аш дуучу дийнатех цхьаъ лахь, цунах дӀахьакхавелларг сарралц Далла хьалха боьха хир ву.</verse>
				<verse number="40">Деллачу оцу дийнатан жижиг диънарг шен бедарш йитта дезаш ву, иза сарралц Далла хьалха боьха хир ву. Цу дийнатан чарх дӀаяьхьнарг шен бедарш йитта дезаш ву, иза сарралц Далла хьалха боьха хир ву.</verse>
				<verse number="41">Муьлхха а лаьттахула текха дийнат шуна дегаза ду, иза даа мегар дац аша.</verse>
				<verse number="42">Иза гай тӀехь текхаш а, я беа кога тӀехь лелаш а, я дуккха а когаш болуш а елахь — и дийнат ма яалаш, иза шуна дегаза ю.</verse>
				<verse number="43">Лаьттахула оцу текхаш йолчу дийнаташка шаьш Далла хьалха дегаза ма дайта, уьш бахьана долуш шаьш Далла хьалха боьха ма хилийта.</verse>
				<verse number="44">ХӀунда аьлча Со шун Веза Дела ву. Суна хьалха шаьш дӀакъастаделаш, иштта цӀена хилалаш, хӀунда аьлча Со а цӀена ву. Лаьттахула текхачу боьхачу хӀуманашка шаьш бех ма дайта.</verse>
				<verse number="45">Шун Дела хилархьама, шу Мисар-махкара арадаьхна Веза Эла ву Со. ЦӀена хилалаш, хӀунда аьлча Со а ву цӀена.</verse>
				<verse number="46">Иштта ду бежанех а, олхазарех а, хи чохь лелачу а, лаьттахула текхачу а дийнатех долу тӀедиллинарг,</verse>
				<verse number="47">Далла хьалха боьхачух цӀенаниг а, даа мегачу дийнатех даа ца мегарш дӀакъасто хаийтархьама билгалдаьккхина долу“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="12">
				<verse number="1">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="2">«ДӀаала исраилхошка: „Нагахь зудчо кӀант вахь, ворхӀ дийнахь, шен зударийн цамгар хуьлучу деношкахь санна, Далла хьалха цӀена хир яц иза.</verse>
				<verse number="3">БорхӀалгӀачу дийнахь кӀант хадо везаш ву.</verse>
				<verse number="4">Кхин ткъе кхойтта де даьлча, кӀант виначу цӀийх Далла хьалха цӀена хир ю иза. Цу деношкахь цхьана а езачу хӀуманах дӀахьакхаяла а, Делан четарна улло ян а цунна могуьйтур дац, шен цӀанъяларан денош чекхдовллалц.</verse>
				<verse number="5">Нагахь зудчо йоӀ яхь, шина кӀирнах Далла хьалха цӀена хир яц иза, зударийн цамгар хуьлучу деношкахь санна. Кхузткъе ялх дийнахь Ӏан деза цуьнан, йоӀ йинчу цӀийх Далла хьалха ша цӀанъяллалц.</verse>
				<verse number="6">ЦӀанъяларан денош чекхдевлча, шен кӀантах я йоӀах дийнаташ дагоран сагӀина шо кхаьчна Ӏахар а, къинан сагӀина кхокха я къоркхокха а гуламан четарна чуволлучохь волчу динан дена бан беза цо.</verse>
				<verse number="7">Везачу Элана хьалха сагӀа а даьккхина, и зуда цӀанъяран Ӏадат кхочушдийр ду динан дас. ТӀаккха иза дӀаихначу шен цӀийх Далла хьалха цӀена хир ю. Иштта ду кӀант я йоӀ йинчу зудчух долу тӀедиллинарг.</verse>
				<verse number="8">Нагахь зудчун сагӀина Ӏахар бало таро яцахь, ши къоркхокха я ши кхокха бан мегар ду цо. Цхьаъ дийнаташ дагоран сагӀина, важа къинан сагӀина хир бу. Динан дас зуда цӀанъяран Ӏадат кхочушдийр ду, тӀаккха иза Далла хьалха цӀена хир ю“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="13">
				<verse number="1">Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира:</verse>
				<verse number="2">«Нагахь цхьаннан дегӀа тӀехь кхераме чкъуран цамгар хила йиш йолу дестар я хьаьтт, я томмагӀа хилахь, иза динан дена АхӀаронна я динан да волчу цуьнан кӀентех цхьанна тӀе вало веза.</verse>
				<verse number="3">Динан да дегӀа тӀехь долчу доӀе хьожур ву. ДоӀа тӀехь долу чоьш кӀай а делла, даӀ чкъурал кӀоргга чудаханехь, иза кхераме чкъуран цамгар ю. Цу стаге хьаьжначул тӀаьхьа динан дас иза Далла хьалха боьха хилар дӀахоуьйтур ду.</verse>
				<verse number="4">Нагахь дегӀа тӀера томмагӀа кӀайн делахь, амма чкъурал чудахана а дацахь, ткъа цунна тӀера чоьш кӀайделла а дацахь, иштта стаг динан дас ворхӀ денна нахах дӀакъасто веза.</verse>
				<verse number="5">ВорхӀалгӀачу дийнахь динан да цуьнга хьожур ву. ДаӀ, дегӀа тӀехула дӀаса а ца даьржаш, ша ма-дарра лаьтташ делахь, динан дас кхин а ворхӀ денна нахах дӀакъастор ву даӀ долу стаг.</verse>
				<verse number="6">ВорхӀалгӀачу дийнахь динан да цуьнга юха а хьожур ву. Нагахь даӀ, жимма бен хаалуш а доцуш, дегӀа тӀехула дӀаса ца даьржинехь, динан дас и стаг Далла хьалха цӀена хилар дӀахоуьйтур ду. ДегӀа тӀехь ерг хьаьтт ю, цу стага шен бедарш йитта еза, тӀаккха иза цӀена хир ву.</verse>
				<verse number="7">Нагахь стаг динан дена тӀе ша Далла хьалха цӀена хилар дӀахаийта веанчул тӀаьхьа, хьаьтт дегӀа тӀехула дӀасаяьржинехь, цомгушниг юха а динан дена тӀеван веза.</verse>
				<verse number="8">Хьаьтт дегӀа тӀехула дӀасаяьржаш юйла а гина, динан дас и стаг Далла хьалха цӀена цахилар дӀахоуьйтур ду. Иза кхераме чкъуран цамгар ю.</verse>
				<verse number="9">Нагахь цхьаннан дегӀа тӀехь кхераме чкъуран цамгар елахь, иза динан дена тӀевало веза.</verse>
				<verse number="10">Динан дас иза толлур ву. Нагахь дегӀа тӀера йистина меттиг кӀайн елахь, ткъа дестаро чоьш кӀайдинехь, ткъа дестар долчохь гуш жижиг а делахь,</verse>
				<verse number="11">иза дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар ю. Динан дас, и стаг Далла хьалха цӀена цахилар дӀа а кхайкхийна, цомгушниг нахах дӀакъасто ца веза, хӀунда аьлча иза, массарна а гуш, цӀена вац.</verse>
				<verse number="12">Нагахь чкъуран цамгар коьрта тӀера когашка кхаччалц цомгушчун дегӀа тӀехула дӀасаяржахь, динан ден бӀаьргаша схьалоццучул,</verse>
				<verse number="13">динан дас иза леррина толлур ву. Стеган дегӀ дерриг а цамгаро дӀалаьцна хилар динан дена хиъча, цо цомгушниг Далла хьалха цӀена ву эр ду. ХӀунда аьлча цомгушчун дегӀ кӀайн ду — иза цӀена ву.</verse>
				<verse number="14">Ткъа цуьнан дегӀа тӀехь жижиг гучудалахь, иза цӀена хир вац.</verse>
				<verse number="15">Талла а теллина, жижиг гича, динан дас и стаг Далла хьалха цӀена цахилар дӀакхайкхор ду. Гуш долу жижиг цӀена дац. Иза кхераме чкъуран цамгар ю.</verse>
				<verse number="16">Нагахь гуш долу жижиг, хийца а делла, кӀайлахь, цомгушниг динан да волчу ван веза.</verse>
				<verse number="17">Динан дас, дегӀе а хьаьжна, даӀ кӀайделла хилахь, и стаг Далла хьалха цӀена хилар дӀакхайкхор ду.</verse>
				<verse number="18">Нагахь цхьаннан дегӀа тӀехь сурх а яьлла, иза дӀайирзинехь,</verse>
				<verse number="19">ткъа иза хиллачохь кӀайчу басахь дестар я цӀегӀо-кӀайн томмагӀа делахь, иза динан дена тӀеван веза.</verse>
				<verse number="20">ДаӀ долчу метте а хьаьжна, иза чкъурана чудахна а делахь, цунна тӀера чоьш кӀай а деллехь, динан дас и стаг Далла хьалха цӀена цахилар дӀакхайкхор ду. Иза кхераме чкъуран цамгаран даӀ ду, сурх яьллачу меттехь даьлла долу.</verse>
				<verse number="21">Нагахь доӀа тӀера чоьш кӀайделла а дацахь, иза, чкъурана чудахна а доцуш, жимма бен гуш дацахь, динан дас цомгушниг ворхӀ денна нахах дӀакъастор ву.</verse>
				<verse number="22">Нагахь даьӀнаш дегӀа тӀехула чӀогӀа дӀасадаржахь, динан дас цомгушниг Далла хьалха цӀена цахилар дӀакхайкхор ду. Иза кхераме цамгар ю.</verse>
				<verse number="23">Нагахь томмагӀа, дӀаса а ца даьржаш, цхьана меттехь дисахь, иза дегӀа тӀе яьлла хӀума юзуш хилар ду. Динан дас и стаг Далла хьалха цӀена хилар дӀакхайкхор ду.</verse>
				<verse number="24">Нагахь цхьаннан чкъура тӀехь вагийна меттиг хилахь, юха, иза дӀайирзича, цигахь долчу жижиг тӀехь цӀегӀо-кӀайн томмагӀа а хилахь,</verse>
				<verse number="25">цу томмагӀана тӀера чоьш кӀай а деллехь, ткъа иза ша чкъурана чудахна а делахь, иза кхераме чкъуран цамгар ю, ягийначу меттигна тӀехь хилла. Динан дас Далла хьалха и стаг цӀена цахилар дӀакхайкхор ду. Цунна ерг кхераме чкъуран цамгар ю.</verse>
				<verse number="26">Нагахь томмагӀана тӀера чоьш кӀайделла а дацахь, иза, чкъурана чудахна а доцуш, жимма бен гуш а дацахь, динан дас цомгушниг ворхӀ денна нахах дӀакъастор ву.</verse>
				<verse number="27">ВорхӀалгӀачу дийнахь динан да хьожур ву цу стаге. Нагахь даьӀнаш дегӀа тӀехула дӀасадаьржаш делахь, динан дас цомгушниг Далла хьалха цӀена цахилар дӀакхайкхор ду. Цунна ерг кхераме чкъуран цамгар ю.</verse>
				<verse number="28">Нагахь томмагӀа, дегӀа тӀехула дӀаса а ца даьржаш, цхьана меттехь делахь, жимма бен гуш а доцуш, иза ягийначу меттехь долу дестар ду. Динан дас и стаг Далла хьалха цӀена хилар дӀакхайкхор ду, хӀунда аьлча цунна дерг вагийча дисина дестар ду.</verse>
				<verse number="29">Нагахь стеган я зудчун коьрта тӀехь я чӀенгана тӀехь даӀ хилахь,</verse>
				<verse number="30">динан да цамгаре хьожур ву. ДаӀ чкъурана чудахна а долуш, цу тӀера чоьш мажделла а, дуткъий а делахь, динан дас и адамаш Далла хьалха цӀена цахилар дӀакхайкхор ду. Иза чераш долу кхераме чкъуран цамгар ю, коьрта тӀехь я чӀенгана тӀехь йолу.</verse>
				<verse number="31">Цу цамгаран доӀе а хьаьжна, иза чкъурана чудахна а дацахь, цунна тӀера чоьш Ӏаьржа а дацахь, динан дас чераш долу цамгар ерг ворхӀ денна нахах дӀакъастор ву.</verse>
				<verse number="32">ВорхӀалгӀачу дийнахь доӀе а хьаьжна, нагахь чераш дӀаса а ца даьржинехь, доӀа тӀехь мажделла чоьш а дацахь, ткъа даӀ чкъурана чудахна а дацахь,</verse>
				<verse number="33">цомгушчун месаш дӀаларга еза. Амма даӀ долу меттиг Ӏадйита еза. Динан дас шолгӀа а дӀакъасто веза цомгушниг ворхӀ денна.</verse>
				<verse number="34">ВорхӀалгӀачу дийнахь динан да стаге хьожур ву. Нагахь даӀ дегӀа тӀехула дӀаса а ца даьржинехь, чкъурана чу а ца даханехь, динан дас цомгушниг Далла хьалха цӀена хилар дӀакхайкхор ду. Шен бедарш йиттича, и стаг цӀена хир ву.</verse>
				<verse number="35">Нагахь стагана, ша Далла хьалха цӀена хилар дӀакхайкхийначул тӀаьхьа, чераш дегӀа тӀехула дӀасадаржахь,</verse>
				<verse number="36">динан дас иза толлур ву. Нагахь санна даӀ чкъурана чу даханехь, доӀа тӀехь мажделла чоьш леха ца оьшу. Цомгушниг цӀена вац.</verse>
				<verse number="37">Нагахь даӀ ша ма-дарра а долуш, цу тӀехь Ӏаьржа чоьш гучудевллехь, цамгар дӀаяьлла, стаг цӀена ву. Динан дас иза Далла хьалха цӀена хилар дӀакхайкхор ду.</verse>
				<verse number="38">Нагахь стеган я зудчун дегӀа тӀехь кӀайн томмагӀаш хилахь,</verse>
				<verse number="39">динан дена церан догӀмаш тӀехь кӀайн-мокха томмагӀаш гахь, иза дегӀа тӀе яьлла хьаьтт ю. Иштта долу адам Далла хьалха цӀена ду.</verse>
				<verse number="40">Нагахь цхьаннан коьрта тӀера месаш дӀаевллехь, иза чераш долуш ву. И стаг Далла хьалха цӀена ву.</verse>
				<verse number="41">Нагахь стеган коьрта тӀера хьалхара агӀор месаш дӀаевллехь, и стаг кӀунзал болуш ву. И стаг Далла хьалха цӀена ву</verse>
				<verse number="42">Нагахь чераш я кӀунзал болчу коьрта тӀехь цӀегӀо-кӀайн томмагӀа хилахь, коьрта тӀехь ерг кхераме чкъуран цамгар ю</verse>
				<verse number="43">Динан да цомгушчуьнга хьожур ву. Нагахь цунна чераш я кӀунзал болчу коьрта тӀера цӀегӀо-кӀайчу даӀан дестар дегӀа тӀехь хуьлучу чкъуран кхерамечу цамгаран доӀах тера хилар гахь,</verse>
				<verse number="44">цомгушниг чкъуран цамгар йолуш ву, иза цӀена вац. Динан дас и стаг Далла хьалха цӀена цахилар дӀакхайкхо деза, стеган коьрта тӀехь даӀ ду аьлла.</verse>
				<verse number="45">Кхераме чкъуран цамгар йолу стаг, тӀера бедарш этӀийна а йолуш, коьртара месаш низамехь а йоцуш, хила веза. Бета тӀе кхаччалц, коьртан лахе хьулйина хила еза цуьнан „ЦӀена вац! ЦӀена вац!“ — бохуш, мохь бетта беза цо.</verse>
				<verse number="46">Ерриг а хенахь, цунна тӀехь цамгар мел ю, иза цӀена вац. Иза дӀакъаьстина Ӏан веза».</verse>
				<verse number="47">«Нагахь бедарна тӀехь доӀан томмагӀа хилахь, — тӀергӀан я ветанан бедарна,</verse>
				<verse number="48">я кӀадина тӀехь, я тӀаьрсигана тӀехь, я тӀаьрсигах йинчу хӀуманна тӀехь иза делахь, —</verse>
				<verse number="49">ткъа цу тӀехь долу и томмагӀа баьццарчу я цӀечу басахь хилахь, иза кхерамечу доӀан томмагӀа ду ала мегар ду. Иза динан дена гайта деза.</verse>
				<verse number="50">Динан дас, даӀан томмагӀе а хьаьжна, бехйина хӀума ворхӀ денна дӀакъастор ю</verse>
				<verse number="51">ВорхӀалгӀачу дийнахь динан да юха а хьожур ву цу хӀумане. Нагахь даӀан томмагӀа бедарна тӀехь, я тӀергӀан я ветанан кӀади тӀехь, я тӀаьрсига тӀехь — цуьнан Ӏалашо мухха елахь а — дӀасадаьржинехь, иза кхерамечу доӀан томмагӀа ду. И хӀума цӀена яц.</verse>
				<verse number="52">Динан дас шена тӀехь томмагӀа йолу и бедар, я тӀергӀан я ветанан долу кӀади, я тӀаьрсигах йина хӀума яго еза, хӀунда аьлча цунна тӀехь долу доӀан томмагӀа кхераме ду. И хӀума цӀера тӀехь яго еза.</verse>
				<verse number="53">Нагахь динан дена доӀан томмагӀа бедарна тӀехула а, я кӀадина тӀехула а, я тӀаьрсиган хӀуманна тӀехула а дӀаса ца даьржинийла гахь,</verse>
				<verse number="54">цо доӀан томмагӀа тӀехь долу бедар юьттуьйтур ю, юха и хӀума шолгӀа а дӀакъастор ю ворхӀ денна.</verse>
				<verse number="55">Бехйина бедар йиттинчул тӀаьхьа, цо юха а толлур ю иза. Нагахь динан дена бедар тӀехь долу доӀан томмагӀа я хийцаделла а, я дӀасадаьржина а цахилар гахь, иза цӀена яц. Иза яго еза — доӀан томмагӀа бедаран тӀехуларчу я бухаларчу агӀонна тӀехь делахь а.</verse>
				<verse number="56">Нагахь динан дас теллича, йиттинчу бедар тӀера доӀан томмагӀа жимма а бен цунна къаьсташ ца хилахь, томмагӀа долу дакъа цо бедарна, я тӀаьрсигана, я кӀадина тӀера схьадаккха деза.</verse>
				<verse number="57">Нагахь доӀан томмагӀа юха а бедарна я кӀадина, я муьлххачу а тӀаьрсиган хӀуманна тӀехь гучудалахь, иза дӀасадаьржаш долу доӀан томмагӀа ду. Шена тӀехь доӀан томмагӀа мел долу бедар яго еза.</verse>
				<verse number="58">Нагахь бедар я кӀади, я муьлхха а тӀаьрсиган хӀума йиттича, цунна тӀера доӀан томмагӀа лаьттина меттиг цӀанлахь, и хӀума кхин цкъа а йитта еза, тӀаккха иза цӀена хир ю».</verse>
				<verse number="59">Иштта ду, тӀергӀан я ветанан бедарна я кӀадина тӀе, я муьлххачу тӀаьрсиган хӀуманна тӀе доӀан томмагӀа даьлча, иза цӀена я боьха хиларх долу тӀедиллинарг.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="14">
				<verse number="1">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="2">«Чкъуран кхераме цамгар йолу стаг товелча хиларх долу тӀедиллинарг иштта ду. Стаг Далла хьалха цӀанван везачу хенахь иза динан дена тӀевалор ву,</verse>
				<verse number="3">ткъа динан да меттаматтал арахьа вер ву. Нагахь, талла а теллина, чкъуран кхераме цамгар йолу стаг товалар цунна гахь,</verse>
				<verse number="4">динан дас омра лур ду, цӀанвеш волчу стагана лерина хьанал дийна ши олхазар а, баганан дечиг а, цӀен тай а, ярийн курс а схьаэца аьлла.</verse>
				<verse number="5">Кхийрачу пхьегӀи тӀе а лаьцна, шовданан хина тӀехула цхьана олхазарна урс хьокхуьйтур ду динан дас.</verse>
				<verse number="6">Дийна долу олхазар а, баганан дечиг а, цӀен тай а, ярийн курс а схьа а эцна, уьш шовданан хина тӀехула урс хьаькхначу олхазаран цӀийна чу Ӏуттур ду динан дас.</verse>
				<verse number="7">Юха цамгарх цӀанвечу стагана тӀе ворхӀазза цӀийн тӀадамаш тухур ду цо. Цул тӀаьхьа, стаг Далла хьалха цӀена ву аьлла дӀа а кхайкхийна, дийна долу олхазар эрна ара дӀахоьцур ду динан дас.</verse>
				<verse number="8">Шен бедарш а йиттина, месаш а лергина, хица цӀанвеллачул тӀаьхьа, и стаг Далла хьалха цӀена хир ву. Меттамотт болчу схьа а веана, шен четарна арахьа ворхӀ де доккхур ду цо.</verse>
				<verse number="9">ВорхӀалгӀачу дийнахь ерриг а шен месаш дӀайошур ю цо: корта а, маж а, цӀоцкъамаш а, ерриг а кхийолу месаш а. Хица бедарш а йиттина, лийчинчул тӀаьхьа Далла хьалха цӀена хир ву иза.</verse>
				<verse number="10">БорхӀалгӀачу дийнахь цхьа шо кхаьчна, айп доцу ши Ӏахар схьаоьцур бу цу стага. Цул сов, цхьа шо кхаьчна, айп доцу стен Ӏахар а, цхьа сахь зайтдаьтта тоьхна долу кӀен дама а кӀен сагӀина лерина а, ши кад зайтдаьтта а дан деза цо.</verse>
				<verse number="11">Стаг цӀанвеш волчу динан дас цо деанчу совгӀаташца гуламан четаран неӀ йолчохь Везачу Элана хьалха хӀоттор ву иза.</verse>
				<verse number="12">Цхьа Ӏахар а, цуьнца ши кад даьтта а, гӀуда такхаран сагӀа санна доккхур ду динан дас. Шатайпа сагӀа санна цо уьш Везачу Элана хьалха хьалаойур ду.</verse>
				<verse number="13">Къинан сагӀина а, дийнаташ дагочу сагӀина а дийнат дуьйчу езачу меттехь Ӏахарна урс хьокхур ду, хӀунда аьлча, къинан сагӀа санна, къера хиларан долу хӀара сагӀа динан ден ду. Иза чӀогӀа деза сагӀа ду.</verse>
				<verse number="14">ГӀуда такхаран сагӀина бийначу Ӏахаран цӀий, цхьажимма схьа а эцна, цӀанвечу стеган аьтту лерган дуьме а, аьтту куьйган нана-пӀелга тӀе а, аьтту коган нана-пӀелга тӀе а хьокхур ду динан дас.</verse>
				<verse number="15">Кеда чуьра цхьажимма даьтта шен аьрру кераюкъа дуттур ду цо.</verse>
				<verse number="16">Шен аьрру куьйгара даьттана чу а Ӏоьттина, аьтту куьйган пӀелгаца ворхӀазза Везачу Элана хьалха даьттанан цинцаш дӀакхуьссур ду динан дас.</verse>
				<verse number="17">Куьйга тӀехь дисна даьтта цӀанвечу стеган аьтту лерган дуьме а, аьтту куьйган а, аьтту коган а нана-пӀелга тӀе а хьокхур ду цо. И меттигаш хьалха динан дас гӀуда такхаран сагӀина бийначу Ӏахаран цӀий хьаькхна ю.</verse>
				<verse number="18">Кераюккъехь дисна даьтта цӀанвечу стеган коьрта тӀе хьокхур ду цо, тӀаккха и стаг Везачу Элана хьалха цӀанваран Ӏадат кхочушдийр ду динан дас.</verse>
				<verse number="19">Къинан сагӀа а даьккхина, цамгарх товина стаг цӀанваран Ӏадат кхочушдийр ду динан дас. Цул тӀаьхьа дийнаташ дагоран сагӀина дийнат дуьйр ду цо.</verse>
				<verse number="20">Дийнат а, кӀен сагӀа а кхерча тӀе дуьллур ду цо. Иштта динан дас цӀанваран Ӏадат кхочушдийр ду, тӀаккха и стаг Далла хьалха цӀена хир ву.</verse>
				<verse number="21">Нагахь и стаг къен а велахь, цуьнан таро а яцахь, ша цӀанвархьама гӀуда такхаран сагӀина цхьа Ӏахар бало беза цо. Цу Ӏахаран жижиг Везачу Элана хьалха хьалаайа деза, шатайпа сагӀа санна. Цул сов, цу стага, кӀен сагӀина лерина, бархӀ кад зайтдаьттанца эдина кӀен дама а, ши кад зайтдаьтта а,</verse>
				<verse number="22">ши къоркхокха я ши къона кхокха, шега эцалуш берг бан беза. Цхьа кхокха къинан сагӀина, важа дийнаташ дагоран сагӀина лерина хила беза.</verse>
				<verse number="23">Ша цӀанлучу борхӀалгӀачу дийнахь, Везачу Элана хьалха, гуламан четаран неӀарна улло а еана, динан дега дӀаяла еза цо и хӀуманаш.</verse>
				<verse number="24">ГӀуда такхаран сагӀина беана Ӏахар а, даьтта чохь долу ши кад а, хьала а ойуш, Везачу Элана хьалха шатайпа сагӀа санна боккхур бу динан дас.</verse>
				<verse number="25">Ӏахар гӀуда такхаран сагӀина лерина бен а бийна, цуьнан цӀий цӀанвечу стеган аьтту лерган дуьме, аьтту куьйган а, аьтту коган а нана-пӀелгана тӀе а хьокхур ду динан дас.</verse>
				<verse number="26">Шен аьрру куьйган кераюккъе цхьажимма даьтта дуттур ду цо,</verse>
				<verse number="27">юха, аьрру куьйга тӀера цу даьттана чохь аьтту куьйган пӀелг а башийна, даьттанан цинцаш ворхӀазза Везачу Элана хьалха тосур ду.</verse>
				<verse number="28">Хьалха ша цӀий хьаькхначу меттигашка: аьтту лерган дуьме а, аьтту куьйган а, аьтту коган а нана-пӀелгана тӀе а шен карара цхьажимма даьтта хьокхур ду динан дас.</verse>
				<verse number="29">Дисина даьтта цӀанвечу стеган коьрта тӀе хьокхур ду цо, Везачу Элана хьалха иза цӀанваран Ӏадат кхочушдархьама.</verse>
				<verse number="30">ЦӀанлуш волчу стага, шен тароне хьаьжжина, беана цхьа къоркхокха я къона кхокха бен беза динан дас.</verse>
				<verse number="31">Царах цхьа олхазар къинан сагӀина а, важа кӀен сагӀанца дийнаташ дагоран сагӀина а лерина, бен беза цо. Иштта цамгарх товина стаг Везачу Элана хьалха цӀанваран Ӏадат кхочушдийр ду динан дас.</verse>
				<verse number="32">Иштта ду ша цӀанваран Ӏадат кхочушдечу хенахь сагӀина дан дезачунна таро йоцучу чкъуран цамгар кхеттачу стагах долу тӀедиллинарг».</verse>
				<verse number="33">Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира:</verse>
				<verse number="34">«Нагахь, Ас шуна луш долчу канаӀанхойн лаьтта тӀе шу девлча, шун долахь долчу лаьтта тӀера цхьана цӀенна доӀан томмагӀаш Аса кхетийтахь,</verse>
				<verse number="35">и цӀа долчо, динан дена тӀе а вахана, ала деза: „Сан цӀенна тӀехь томмагӀаш гучудевлла, ткъа уьш доӀан томмагӀех тера ду“.</verse>
				<verse number="36">ЦӀийне хьажа ша чувалале, иза дассаде эр ду динан дас, цу чохь дерг боьха ца хилийта. Цул тӀаьхьа иза, талла а толлуш, цӀийне хьожур ву.</verse>
				<verse number="37">Нагахь цунна, томмагӀашка хьаьжча, кӀоргга чудахна а долуш, пена тӀехула баьццарчу я цӀечу басахь уьш хилар гахь,</verse>
				<verse number="38">цӀа чуьра ара а ваьлла, ворхӀ денна иза дӀакъовлур ду динан дас.</verse>
				<verse number="39">ВорхӀалгӀачу дийнахь ша юхавеача, томмагӀаш дерриг а пенашна тӀехула дӀасадаьржина хилар динан дена гахь,</verse>
				<verse number="40">томмагӀаш тӀехь долу тӀулгаш, схьа а дахийтина, гӀалел арахьа, боьхачу метте дӀакхуьссуьйтур ду цо.</verse>
				<verse number="41">ЦӀа чуьра пенаш тӀера хьахарш, охьа а дахийтина, гӀалел арахьа, боьхачу метте дӀакхуьссуьйтур ду.</verse>
				<verse number="42">ДӀадаьхначеран метта кхин тӀулгаш дӀахӀиттор ду, керла хьахар а дина, пенаш юхахьохур ду.</verse>
				<verse number="43">Нагахь, тӀулгаш а, хьахарш а хийцинчул тӀаьхьа, томмагӀаш, юха гучу а девлла, дӀасадаьржаш хилахь,</verse>
				<verse number="44">динан дас кхин цкъа а цӀа толлур ду. Нагахь томмагӀаш пенашна тӀехула дӀасадаьржинехь, уьш кхераме доӀан томмагӀаш ду, цӀа цӀена дац.</verse>
				<verse number="45">И цӀа доха а дина, цуьнан тӀулгаш а, дечигаш а, хьахарш а гӀалел арахьа, боьхачу метте дӀакхисса еза.</verse>
				<verse number="46">Нагахь цхьаъ и цӀа къевлина долчу хенахь цу чу гӀахь, иза сарралц Далла хьалха цӀена хир вац.</verse>
				<verse number="47">Цу цӀа чохь дӀавижначо я хӀума йиинчо шен бедарш йитта еза, ткъа иза сарралц Далла хьалха цӀена хир вац. Цу чохь хӀума йиинчо а шен бедарш йитта еза, иза а сарралц цӀена хир вац.</verse>
				<verse number="48">Нагахь динан да веача, пенаш хьаьхначул тӀаьхьа томмагӀаш дӀасадаьржина цахилар цунна, теллинчул тӀаьхьа гахь, цо цӀа Далла хьалха цӀена хилар дӀакхайкхор ду, хӀунда аьлча томмагӀаш дӀадевлла.</verse>
				<verse number="49">И цӀа цӀандархьама, ши олхазар а, баганан дечиг а, цӀен тай а, ярийн курс а схьаоьцур ю динан дас.</verse>
				<verse number="50">Кхийра пхьегӀи тӀе а лаьцна, шовданан хи тӀехула цхьана олхазарна урс хьокхур ду цо.</verse>
				<verse number="51">Баганан дечиг а, ярийн курс а, цӀен тай а, дийна долу олхазар а схьа а эцна, уьш шовданан хи тӀехула урс хьаькхначу олхазаран цӀийна чу а Ӏоьттина, цӀенна тӀе ворхӀазза цинцаш тухур ду динан дас.</verse>
				<verse number="52">Олхазаран цӀийца, дийначу хица а, дийначу олхазарца а, баганан дечигаца а, ярийн курсаца а, цӀечу тайца а цӀа цӀандийр ду цо.</verse>
				<verse number="53">Дийна долу олхазар гӀалел арахь, эрна аренгахула, дӀахоьцур ду. Иштта цӀа цӀандаран Ӏадат кхочушдийр ду цо, тӀаккха иза Далла хьалха цӀена хир ду.</verse>
				<verse number="54">Иштта ду чкъуран муьлххачу цамгарх а, чераш долчу цамгарх а,</verse>
				<verse number="55">бедарш тӀехь а, цӀийна тӀехь а хуьлучу доӀан томмагӀех а, дегӀа тӀехь долчу дестарх а, хьаьттарех а, томмагӀех а долу тӀедиллинарг,</verse>
				<verse number="56">кхеттарг боьха а, цӀена а хуьлу хан къасторхьама. Иштта ду цу тайпана йолчу цамгарех я томмагӀех долу тӀедиллинарг».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="15">
				<verse number="1">Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира:</verse>
				<verse number="2">«ДӀаала исраилхошка: „Нагахь стеган бехкечу меттера схьакъаьсташ тӀуналла хилахь, и тӀуналла цӀена яц.</verse>
				<verse number="3">Ткъа стаг цӀена вац, цунах схьакъаьсташ йолу тӀуналла бахьана долуш — тӀуналла схьайолуш елахь а, стеган дегӀаца иза юьсуш елахь а.</verse>
				<verse number="4">И стаг тӀевуьжуш болу муьлхха а мотт а, иза тӀехиъна йолу муьлхха хӀума а боьха хир ю.</verse>
				<verse number="5">Иза дӀавуьжучу маттах дӀахьакхавелларг, шен бедарш а йиттина, хица лийча веза. Сарралц цӀена хир вац иза.</verse>
				<verse number="6">Нагахь дегӀах тӀуналла схьайолуш волу стаг тӀехиъначу хӀуманна тӀе цхьаъ хаахь, шен бедарш а йиттина, лийча веза иза. Сарралц цӀена хир вац иштта стаг.</verse>
				<verse number="7">ТӀуналла схьайолучун дегӀах хьакхавелларг, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цӀена хир вац иза.</verse>
				<verse number="8">ДегӀах тӀуналла схьайолучо цхьанна тӀе шат тохахь, бехвинарг, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цӀена хир вац иза.</verse>
				<verse number="9">ДегӀах тӀуналла схьайолуш верг тӀехь лелаш йолу муьлхха а нуьйр цӀена яц.</verse>
				<verse number="10">Цу стагана бухахь хиллачу хӀуманах дӀахьакхавелларг сарралц цӀена хир вац. И хӀума карахь дӀаяьхьнарг а, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цӀена хир вац иза.</verse>
				<verse number="11">ДегӀах тӀуналла схьайолург, куьйгаш дилина а доцуш, цхьаннах дӀахьакхалахь, иза шех хьакхавелларг, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цӀена хир вац иза.</verse>
				<verse number="12">Шех тӀуналла схьайолург дӀахьакхавелла кхийра пхьегӀа йохо еза, ткъа дечигах йина пхьегӀа хица йила еза.</verse>
				<verse number="13">ДегӀах схьакъаьсташ йолу тӀуналла сецча, ворхӀ дийнахь Ӏан веза и стаг, Далла хьалха цӀена хилархьама. Цул тӀаьхьа, шен бедарш а йиттина, шовданан хица шен дегӀ дила деза цо, тӀаккха иза цӀена хир ву.</verse>
				<verse number="14">БорхӀалгӀачу дийнахь ши къоркхокха я ши къона кхокха схьа а эцна, Везачу Элана хьалха гуламан четаран неӀаре а веана, ши олхазар динан дега дӀадала деза цо.</verse>
				<verse number="15">Цхьана олхазарх къинан сагӀа а, вукхунах дийнаташ дагоран сагӀа а даьккхина, динан дас Везачу Элана хьалха стаг цӀанваран Ӏадат кхочушдийр ду.</verse>
				<verse number="16">Нагахь стагах боьршачу нехан хуьлу тӀуналла схьакъастахь, цо хица дерриг а шен дегӀ дила деза. Сарралц цӀена хир вац иза.</verse>
				<verse number="17">И тӀуналла тӀекхетта муьлхха бедар а, чкъор а хица дила деза, сарралц цӀена хир дац уьш.</verse>
				<verse number="18">Нагахь стаг зудчуьнца дӀавижча, цунах тӀуналла схьакъастахь, стаг а, зуда а хица лийча деза. Сарралц цӀена хир дац и шиъ.</verse>
				<verse number="19">Нагахь, шайна хуьлучу цамгарца доьзна, зуда дегӀах цӀий дӀакъаьсташ елахь, ворхӀ дийнахь иза цӀена хир яц. Муьлхха а цунах дӀахьакхавелларг сарралц цӀена хир вац.</verse>
				<verse number="20">Ша цӀена цахиларан деношкахь и зуда тӀейижна а, тӀехиъна а йолу хӀума цӀена яц.</verse>
				<verse number="21">Иза дӀаюьжучу маттах хьакхавелларг, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цӀена хир вац иза.</verse>
				<verse number="22">И зуда тӀехиъна Ӏийначу хӀуманах хьакхавелларг, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цӀена хир вац иза.</verse>
				<verse number="23">Иза дӀайижначу маттера я хиъна Ӏийначуьра цхьана хӀуманах хьакхавелларг сарралц цӀена хир вац.</verse>
				<verse number="24">Нагахь цӀий догӀучу хенахь цу зудчуьнца майра дӀавижахь, иза ворхӀ дийнахь цӀена хир вац. И тӀевижна муьлхха а мотт цӀена хир бац.</verse>
				<verse number="25">Нагахь зудчун цӀий дӀаэхар, баттахь хуьлу цӀена цахиларан хенахь а доцуш, кхечу деношкахь хилахь, я гуттар а хуьлучу хенал сов дахлахь, дерриг а цу деношкахь иза цӀена хир яц, баттахь хуьлучу цӀена цахиларан хенахь санна.</verse>
				<verse number="26">Зудчунна цӀий догӀучу хенахь иза тӀейижна муьлхха а мотт, иза тӀехиъна муьлхха а хӀума цӀена хир яц, баттахь цӀена ца хиларан хенахь тӀейижна мотт санна.</verse>
				<verse number="27">Цу хӀуманех дӀахьакхавелларг цӀена хир вац, шен бедарш а йиттина, лийча веза иза. Сарралц цӀена хир вац иза.</verse>
				<verse number="28">ЦӀий дӀаэхар сецча, зудчо ворхӀ дийнахь собар дан деза. Цул тӀаьхьа иза цӀена хир ю.</verse>
				<verse number="29">БорхӀалгӀачу дийнахь ши къоркхокха я ши къона кхокха, гуламан четаран неӀаре схьа а беана, динан дега дӀабала беза цо.</verse>
				<verse number="30">Олхазарех цхьаннах къинан сагӀа, вукхунах дийнаташ дагоран сагӀа доккхур ду динан дас. Иштта Везачу Элана хьалха и зуда цӀанъяран Ӏадат кхочушдийр ду цо.</verse>
				<verse number="31">Иштта шаьш боьха хуьлуьйтучу хӀуманех исраилхой къостуьйтур бу ахь, царна юкъахь долу Сан цӀа сийсаз а деш, шайн боьхачу хӀуманашца уьш ца балийта.</verse>
				<verse number="32">Иштта ду дегӀах тӀуналла схьакъаьстачех долу тӀедиллинарг: стаг цӀена ца хуьлуьйтуш йолчу боьршачу нехан тӀуналлех а,</verse>
				<verse number="33">цӀий дӀаоьхучу зударех а, тӀуналла дегӀах схьакъаьстачу стагах а, зудчух а, цӀена йоцучу зудчуьнца дӀавижначу майрачух а долу тӀедиллинарг“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="16">
				<verse number="1">Хийра цӀе а яхьаш, Везачу Элана хьалха веана АхӀаронан ши кӀант велча, Везачу Эло Мусаца къамел дира.</verse>
				<verse number="2">Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн вешига АхӀароне дӀаала, шена дага мел деанчу хенахь Делан четаран кирхьанна тӀехьа йолчу уггар езачу меттиге ма гӀо. Цигахь лаьттачу бартбаран тӀорказан негӀарна хьалха иза веача, АхӀарон вала мега, хӀунда аьлча къинош дӀадахаран негӀарна тӀехула йолчу мархина юккъехь Со гучуволу.</verse>
				<verse number="3">Делан четаран уггар езачу чоьнна чувале, къинан сагӀина старгӀа а, дийнаташ дагоран сагӀина ка а бан беза АхӀарона.</verse>
				<verse number="4">Дуткъачу кӀадих йина еза коч тӀеюха еза цо тӀе, дуткъачу кӀадих йина чухула юху хӀума а, доьхка а, чалба а хила еза цунна тӀехь. Уьш деза духарш ду, шен дегӀ хица дила а дилина, юха еза цо уьш тӀе.</verse>
				<verse number="5">Исраилхойн халкъана тӀера къинан сагӀина лерина ши бож а, дийнаташ дагоран сагӀина лерина ка а схьаэца беза АхӀарона.</verse>
				<verse number="6">Шена тӀера къинан сагӀина лерина старгӀа а йийна, ша а, шен цӀийно а летийна къинош дӀадохур ду цо.</verse>
				<verse number="7">Ши бож, схьа а ялийна, Везачу Элана хьалха гуламан четаран неӀарехь дӀахӀоттор ю цо.</verse>
				<verse number="8">Юха АхӀарона шина божана кхаж тосур бу: цхьа кхаж Везачу Элана лерина, ткъа важа Ӏазизалина лерина.</verse>
				<verse number="9">Везачу Элана лерина кхаж баьлла бож, схьа а ялийна, къинан сагӀа санна йоккхур ю АхӀарона.</verse>
				<verse number="10">ДӀахецаран кхаж баьлла дийна йолу бож Везачу Элана хьалха хӀоттор ю. Цул тӀаьхьа и бож яьссачу ара, Ӏазизал долчу, дӀахоьцур ю, халкъан къинош дӀадахархьама.</verse>
				<verse number="11">АхӀарона шена тӀера къинан сагӀина лерина старгӀа ялор ю, ша а, шен цӀийно а летийна къинош дӀадахархьама. Шена тӀера къинан сагӀина лерина старгӀина урс хьокхур ду цо.</verse>
				<verse number="12">Везачу Элана хьалха болчу сагӀа доккхучу кхерча тӀера богуш болчу кӀоранах юьззина ной а, ши кана юьззина кегийра аьтта долу хаза хьожа йогӀу сегӀаз а, схьа а эцна, кирхьанна тӀехьа йолчу уггар езачу чоьнна чухьур ду АхӀарона.</verse>
				<verse number="13">Везачу Элана хьалха йогучу цӀера тӀе дуьллур ду цо хаза хьожа йогӀу сегӀаз. СегӀазан кӀуьро тоьшаллин тӀорказан къинош дӀадахаран негӀар дӀахьулдийр ду, АхӀарон, иза ган а гина, ца валийтархьама.</verse>
				<verse number="14">Юха старгӀин цӀий, шен пӀелгаца цхьажимма схьа а эцна, негӀарна тӀе а, ворхӀазза цунна хьалха а тухур ду цо.</verse>
				<verse number="15">Къинан сагӀина халкъана тӀера бож юьйр ю цо, тӀаккха цуьнан цӀий а, старгӀин цӀий санна, кирхьанна тӀехьа йолчу уггар езачу чоьне а даьхьна, негӀарна тӀе а, ворхӀазза бартбаран тӀорказна хьалха а тухур ду цо.</verse>
				<verse number="16">Исраилхойн боьха гӀуллакхаш а, зуламаш а, къинош а цо иштта дӀадохур ду уггар езачу чоьнна тӀера. Изза цо дан деза гуламан четарца а, хӀунда аьлча иза меттаматтана юкъахь лаьтташ ду, ткъа и меттамотт Далла хьалха цӀена бац.</verse>
				<verse number="17">АхӀарон, уггар езачу чоьнна чу къинош дӀадаха а вахана, араваллалц, цхьа а стаг гуламан четарна чохь хила мегар дац. Иштта ша а, шен цӀийно а, дерриг а исраилхойн халкъо а летийна къинош дӀа а даьхна,</verse>
				<verse number="18">Везачу Элана хьалха болчу сагӀа доккхучу кхерчана тӀе а вахана, иза цӀанбан беза цо. СтаргӀин а, божан а цӀий цхьажимма кхерчан массо а маӀана тӀе хьокхур ду цо.</verse>
				<verse number="19">Шен пӀелга тӀера ворхӀазза кхерча тӀе цхьажимма цӀий а тоьхна, иза цӀанбийр бу цо, исраилхой цӀена цахиларх базбийр бу и кхерч».</verse>
				<verse number="20">«Уггар еза чоь а, гуламан четар а, сагӀа доккху кхерч а, цӀан а бина, дийна бож схьаялор ю АхӀарона.</verse>
				<verse number="21">Шен куьйгаш дийначу божан коьрта тӀе а дехкина, цунна тӀехь исраилхойн ерриг а харцонаш а, зуламаш а, къинош а дӀадуьйцур ду цо, уьш цу божан коьрта чу а дуьллуш. Цул тӀаьхьа ша билгалваьккхинчу стагаца яьссачу ара дӀахьажор ю цо и бож.</verse>
				<verse number="22">Божо нехан ерриг а харцонаш шеца яьссачу ара дӀахьур ю, цу стага ша дӀахецча.</verse>
				<verse number="23">Гуламан четарна чу а вахана, ша хьалха чувоьдуш тӀедоьхна хиллачу дуткъачу кӀадих дина духарш цу чохь дуьтур ду АхӀарона.</verse>
				<verse number="24">Езачу меттехь шен дегӀ а дилина, ша лелош йолу бедарш тӀе а юьйхина, аравер ву иза. Шена а, халкъана а тӀера дийнаташ дагоран сагӀа доккхур ду цо, ша а, халкъо а летийна къинош дӀадахархьама.</verse>
				<verse number="25">Къинан сагӀина йийначу старгӀин мохь кхерча тӀехь ягор ю цо.</verse>
				<verse number="26">Яьссачу ара бож дӀахьажо ваханарг, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Цул тӀаьхьа иза меттаматтана чуваха мега.</verse>
				<verse number="27">Делан четаран уггар езачу чоьнна чохь къинош дӀадаха цӀий даьккхина йолчу, къинан сагӀина йийначу старгӀин а, божан а чархаш, меттаматтал арахьа а яьхна, церан неӀарш а, жижиг а, боьхаллаш а яго еза.</verse>
				<verse number="28">Уьш ягийнарг, шен бедарш а йиттина, лийча веза, тӀаккха меттамотт болчу ван мегар ду иза».</verse>
				<verse number="29">«Шуна гуттаренна а тӀедуьллуш ду хӀара хӀума: ворхӀалгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь массо а хӀума шайна доьхкуш, марха а кхаба, цхьа а тайпа болх а ма бе. Кхузахь Ӏаш волчу исраилхочо а, шуна юкъахь тӀевеана Ӏаш волчу стага а ма бе цу хенахь болх,</verse>
				<verse number="30">хӀунда аьлча цу дийнахь шун къинош дӀадохур ду, шу цӀандархьама. Иштта шайн массо а къинойх Везачу Элана хьалха цӀена хир ду шу.</verse>
				<verse number="31">Иза садоӀу шоьтан де ду, массо а хӀума шайна доьхкуш, марха кхаба цу дийнахь. Иза гуттаренна а тӀедиллина ду шуна.</verse>
				<verse number="32">Шен ден метта даьттанца къобалвина а, вазвина а волу динан коьрта да шун къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдан дезаш верг ву. Дуткъачу кӀадих дина деза духарш тӀе а дуьйхина,</verse>
				<verse number="33">уггар еза чоь а, гуламан четар а, сагӀа доккху кхерч а, динан дай а, халкъан массо а нах а цӀанбаран Ӏадат кхочушдийр ду цо.</verse>
				<verse number="34">Иза гуттаренна а шуна тӀедиллина хӀума хир ду: исраилхойн дерриг а къинош шарахь цкъа дӀадахар». Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара, кхочушдира АхӀарона дерриг а.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="17">
				<verse number="1">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="2">«ДӀаала АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а, берриг исраилхошка а: „Везачу Эло вайна тӀедуьллург хӀара ду:</verse>
				<verse number="3">нагахь исраилхойх цхьаммо меттамотт болчохь я цул арахь я старгӀина, я Ӏахарна, я газанна, урс а хьаькхна,</verse>
				<verse number="4">уьш Везачу Элан четарна хьалха, Везачу Элана лерина сагӀа даккхархьама, схьа ца дахьахь, цу стагана тӀехь цӀий хир ду. Цо цӀий Ӏанийна, цундела иза шен халкъана юкъара эккхор ву.</verse>
				<verse number="5">Исраилхошка шаьш эрна арахь урс хьокхуш долу дийнаташ Везачу Элана хьалха, гуламан четаран неӀаре, динан да волчу схьадаладайта деш ду иза. Везачу Элана лерина бартбаран сагӀина дайа деза цара и дийнаташ.</verse>
				<verse number="6">Динан дас гуламан четарна хьалха болчу Везачу Элан кхерчана тӀе цӀий а тухур ду, мохь а ягор ю, Везачу Элана томана йолу хьожа хилийтархьама.</verse>
				<verse number="7">Газа-цӀушна шайн сагӀанаш а дохуш, исраилхой Везачу Элана кхидӀа цатешаме лела мегар дац. Гуттаренна а царна тӀедуьллуш ду иза“.</verse>
				<verse number="8">Кхин а ала цаьрга: „Нагахь исраилхойх я царна юкъахь тӀебаьхкина Ӏаш болчарах цхьаммо дийнаташ дагоран я кхин сагӀа доккхуш хилахь,</verse>
				<verse number="9">Везачу Элана лерина гуламан четаран неӀаре цо дийнат схьа ца даладахь, и стаг шен халкъана юкъара эккхор ву.</verse>
				<verse number="10">Нагахь исраилхойх я царна юкъахь тӀебаьхкина Ӏаш болчарах цхьаммо муьлхха а цӀийца долу жижиг даахь, Аса Сайн оьгӀазло яссор ю цӀий дуучун синна дуьхьал, шен халкъана юкъара и са дӀа а эккхор ду.</verse>
				<verse number="11">ДегӀан са цӀийна чохь долу дела, Аса цӀий сагӀа доккхучу кхерчана лерина хилийта аьлла шуьга, цӀий Ӏанорца шун синош къинойх цӀандайтархьама. Шена чохь са долчу цӀийно къинош дӀа ма доху.</verse>
				<verse number="12">Цундела аьлла Ас исраилхошка, царах цхьаммо а, царна юкъахь тӀевеана Ӏаш волчо а цӀий даа мегар дац.</verse>
				<verse number="13">Нагахь исраилхойх я царна юкъахь тӀебаьхкина Ӏаш болчех цхьаммо яа мегаш йолу акхаро я олхазар лацахь, цуьнан цӀий дӀа а дахийтина, юха цу цӀийна тӀе латта таса деза,</verse>
				<verse number="14">хӀунда аьлча муьлххачу дегӀан са цуьнан цӀийна чохь ду. Цундела аьлла Ас исраилхошка, шеца цӀий долу цхьа а дилха ма даа. ЦӀий дууш верг муьлхха а шен халкъана юкъара эккхор ву.</verse>
				<verse number="15">Къеелла а, экхано цистина а хӀума йиънарг, исраилхо я тӀевеана стаг и велахь, шен бедарш а йиттина, хица лийча веза. Сарралц цӀена хир вац иза, цул тӀаьхьа цӀена хир ву.</verse>
				<verse number="16">Нагахь цо шен бедарш а ца йиттахь, шен дегӀ а ца цӀандахь, иза бехке а ву, цо жоп дала а деза“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="18">
				<verse number="1">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="2">«ДӀаала исраилхошка: „Со шун Веза Дела ву.</verse>
				<verse number="3">Шаьш хьалха Ӏийначу Мисар-махкахь хилларг а, хӀинца Ас шаьш дуьгучу КанаӀан-махкахь лелош дерг а ма леладелаш, церан ламасташ а тӀе ма эцалаш.</verse>
				<verse number="4">Ас тӀедиллинарг кхочушде, Сан парзаш ларде. Со шун Веза Дела ву.</verse>
				<verse number="5">Сан парзаш а, Ас тӀедиллинарг а ларде. Уьш кхочушдийриг цаьрца вехар ву. Со Веза Эла ву.</verse>
				<verse number="6">Цхьа а стаг шен гергарчу зудчуьнца дӀавижа мегар дац. Со Веза Эла ву.</verse>
				<verse number="7">Хьайн да сийсаз ма ваккха, хьайн ненаца дӀа а вуьжуш. И зуда хьан нана ю, цуьнца дӀавижа мегар дац.</verse>
				<verse number="8">Хьайн ден кхийолчу зудчуьнца а дӀа ма вижа. Иза хьайн деца дӀавижар санна ду.</verse>
				<verse number="9">Хьайн ден я ненан йоӀаца, хьайн йишица, дӀа ма вижа — иза хьайн цӀахь я кхечу меттехь йина елахь а.</verse>
				<verse number="10">Хьайн кӀентан я йоӀан йоӀаца дӀа ма вижа. И дарца ахь-хьо сийсаз ма воккху.</verse>
				<verse number="11">Хьан дестечо хьан дена йинчу йоӀаца дӀа ма вижа. Хьан йиша ма ю иза.</verse>
				<verse number="12">Хьайн ден йишица дӀа ма вижа. Хьан деца цхьана цӀийх схьаяьлла ма ю иза.</verse>
				<verse number="13">Хьайн ненан йишица дӀа ма вижа. Хьан ненаца цхьана цӀийх схьаяьлла ма ю иза.</verse>
				<verse number="14">Хьайн ден ваша сийсаз ма ваккха, цуьнан зудчуьнца дӀа а вуьжуш. Иза хьан деца ма ю.</verse>
				<verse number="15">Хьайн несаца дӀа ма вижа. Иза хьан кӀентан зуда ма ю.</verse>
				<verse number="16">Хьайн вешин зудчуьнца дӀа ма вижа. Иза хьайн вешица дӀавижар санна ду.</verse>
				<verse number="17">Ненаца а, йоӀаца а дӀа ма вижа, ткъа иштта зудчуьнца а, цуьнан кӀентан я йоьӀан йоӀаца а ма вижа. Уьш цхьана цӀийх схьабевлла бу. Цаьрца дӀавижар дегаза ду.</verse>
				<verse number="18">Бухахь йолчу зудчунна тӀе цуьнан йиша ма ялае, царах эмгарш хилийта. Хьайн зуда дийна а йолуш, цуьнан йишица дӀа ма вижа.</verse>
				<verse number="19">Хьайн зуда цӀена йоцучу деношкахь цуьнца дӀа ма вижа.</verse>
				<verse number="20">Хьайн уллорачун зудчуьнца дӀа ма вижа, хьо Далла хьалха боьха хир ву.</verse>
				<verse number="21">Мулка-далла сагӀа даккха хьайн бераш дӀа ма ло, хьайн Делан цӀе иштта сийсаз ма е. Со Веза Эла ву.</verse>
				<verse number="22">Зудчуьнца санна, стагаца дӀа ма вижа. Иза дегаза хӀума ду.</verse>
				<verse number="23">Цхьана а дийнатца дӀа ма вижа, цу гӀуллакхо хьо Далла хьалха боьха хуьлуьйтур ву. Зуда а дийнатца дӀа ма йижа. Иза чӀогӀа маьттаза хӀума ду!</verse>
				<verse number="24">Оцу гӀуллакхашца шаьш Далла хьалха боьха ма хилийталаш. Шу долчуьра Ас дӀалохкучу халкъаша цу хӀуманашца шаьш бехдина.</verse>
				<verse number="25">Ур-атталла уьш тӀехь Ӏаш долу лаьтта а боьха хилира. Цуьнан къинош бахьана долуш Ас таӀзар до оцу лаьттана, цо шена тӀера и нах дӀаӀеттор бу.</verse>
				<verse number="26">Ткъа аша Сан парзаш а, Ас тӀедиллинарг а ларде, исраилхочо а, шуна юкъахь тӀевеана Ӏаш волчо а и дегаза хӀуманаш ма леладе.</verse>
				<verse number="27">(Шул хьалха оцу лаьтта тӀехь баьхначу наха лелийна и дегаза гӀуллакхаш, цара бехдина и латта.)</verse>
				<verse number="28">Цара санна, аш и латта бехдахь, цо шена тӀера дӀаӀеттор ду шу, шул хьалха цигахь Ӏийна халкъаш санна.</verse>
				<verse number="29">Нагахь цхьаммо и дегаза гӀуллакхаш леладахь, иза шен халкъана юкъара эккхор ву.</verse>
				<verse number="30">Аса тӀедуьллург ларде: шайл хьалха хиллачара лелийначу дегазчу гӀиллакхех цхьа а кхочуш ма де, цаьрца шаьш бех ма де. Со шун Веза Дела ву“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="19">
				<verse number="1">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="2">«ДӀаала массо а исраилхошка: „ЦӀена хила, хӀунда аьлча Со, шун Веза Дела, цӀена ву.</verse>
				<verse number="3">ХӀора а шайн нене а, дега а болчу ларамах вуьзна хила, Суна лерина шоьтан денош а ларде. Со шун Веза Дела ву.</verse>
				<verse number="4">ЦӀушна тӀе ма дерза, лалийна деланаш а ма бе шайна. Со ву шун Веза Дела.</verse>
				<verse number="5">Веза Эла волчу Суна бертан сагӀа шаьш даьккхича, шуна тӀера Со цунна резахуьлуьйтучу тайпана даккха иза.</verse>
				<verse number="6">Шаьш сагӀа даьккхинчу дийнахь а, шолгӀачу дийнахь а даа иза, кхозлагӀчу дийне даьлларг цӀергахь дагаде.</verse>
				<verse number="7">КхозлагӀчу дийнахь и сагӀа даа мегар дац, иза Суна хьалха цӀена а дац, Со цунна реза а хир вац.</verse>
				<verse number="8">Иза диинчо жоп дала деза, хӀунда аьлча цо Везачу Элана дӀакъастийнарг сийсаздина. И стаг шен халкъана юкъара эккхор ву.</verse>
				<verse number="9">Шайн лаьтта тӀехь ялта хьокхучу хенахь кхан йистошка кхаччалц ма хьакха иза, ткъа охьаэгна кенаш схьа ма лехьаде.</verse>
				<verse number="10">Шайн кемсийн бешара тӀаьхьарчунна тӀекхаччалц кемсаш схьа ма лехьае, охьаэгна кемсаш схьа ма эца. Уьш къечарна а, тӀебаьхкинчарна а йита. Со шун Веза Дела ву.</verse>
				<verse number="11">Къола ма де, аьшпаш а ма битта, вовшийн ле а ма де.</verse>
				<verse number="12">Хьайн Делан цӀеран сий а дойуш, харцонна тӀехь Сан цӀарах дуй ма баа. Со Веза Эла ву.</verse>
				<verse number="13">Ницкъаца хьайн уллорачуьнгара хӀума схьа а ма яккха, иштта цунна къола а ма де. ТӀелаьцна болх биначунна йогӀу ял сахиллалц цунна ца луш ма Ӏе.</verse>
				<verse number="14">Къорачунна сардам ма болла, бӀаьрзечунна хьалха иза охьакхетийта хӀума ма йилла. Хьайн Делах кхера. Со Веза Эла ву.</verse>
				<verse number="15">Кхел нийса е, къечуьнга озабезам а ма бе, хьалдолчух а ма кхера. Нийсонца кхел е хьайн уллорачунна.</verse>
				<verse number="16">Халкъана юкъахь мотт бетташ ма лела, хьайн уллорачун дахарна кхерам ма таса. Со Веза Эла ву.</verse>
				<verse number="17">Дага чохь хьайн веше хьагӀ йолуш ма хила, амма шегара даьллачух хьайн уллораниг кхетаве, хьо-хьуо бехке ца хилийтархьама.</verse>
				<verse number="18">Бекхам а ма бе, оьгӀазалла а ма латтае хьайн халкъах болчу нахе. Хьайн уллораниг хьо санна веза. Со Веза Эла ву.</verse>
				<verse number="19">Сан парзаш ларде. Хьайн тайп-тайпана бежанаш цхьаьна ма кхетийта. Шина тайпана хӀу ма де хьайн кха тӀе. Шина тайпана кӀадих йина бедар а ма лелае.</verse>
				<verse number="20">Нагахь цхьаъ кхечу стагана къобалйинчу гӀарбашца дӀавижахь, и зуда паргӀатъяккхархьама оцу стага цунах мах ца беллехь а, цаьршинна таӀзар дан догӀу. Делахь а ден мегар дац и шиъ, хӀунда аьлча зуда паргӀатъяьккхина яц.</verse>
				<verse number="21">Бехке волчу стага Везачу Элана лерина гуламан четаран неӀаре гӀуда такхаран сагӀа даккха ка бало беза.</verse>
				<verse number="22">Динан дас Везачу Элана хьалха стага латийна къа дӀадоккхур ду, цуьнгара гӀуда такхаран сагӀина балийна ка а бийна. ТӀаккха латийначу къинна цу стагана гечдийр ду.</verse>
				<verse number="23">Везачу Эло лур ду аьллачу лаьтта тӀе шаьш даьхкича, стом луш долу муьлхха а дитт догӀа. Цу диттан стоьмаш кхаа шарахь цӀена а ма лара, уьш баа а ма баа,</verse>
				<verse number="24">ткъа доьалгӀачу шарахь берриг а стоьмаш Везачу Элана леринчу сагӀанашна дӀабала беза.</verse>
				<verse number="25">ПхоьалгӀачу шарахь цу диттан стоьмаш аш баа мегар ду. Аша иштта дича, диттах долу ялта совдер ду. Со шун Веза Дела ву.</verse>
				<verse number="26">Шеца цӀий долу жижиг ма даа. Пал а ма тийса, бозбунчалла а ма леладе.</verse>
				<verse number="27">Гиччош долчуьра шайн месаш дӀа а ма хедае, шайн мажойн йистош а ма ларга.</verse>
				<verse number="28">Белларш дагахь латто, шайн дилха а хедош, билгалонаш а ма е, шайн догӀмаш тӀехь йозанаш а ма де. Со ву Веза Эла.</verse>
				<verse number="29">Нахаца а лелийтий, шайн йоӀан сий ма дайа. Аша иштта дича, шун махкахула нахаца лелар дӀасадаьржар а ду, мохк зуламех бузур а бу.</verse>
				<verse number="30">Суна лерина шоьтан денош лар а де, Суна Ӏибадат до меттиг а лара. Со Веза Эла ву.</verse>
				<verse number="31">Беллачийн синош тӀедоьхучарна а, жинашца тайначарна а тӀе ма эха, цаьрга шаьш Далла хьалха боьха ца дайта. Со шун Веза Дела ву.</verse>
				<verse number="32">Воккха стаг чуваьлча, хьалагӀовтта. Баккхийчу нахе ларам хила. Шайн Деле болчу ларамах дуьзна хила. Со Веза Эла ву.</verse>
				<verse number="33">ТӀевеана стаг шайн махкахь ваха охьахаахь, цунна ницкъ ма бе.</verse>
				<verse number="34">Шаьш долчохь ваха хиъна волу тӀевеана стаг, шайн махкахо санна, лара. Хьо санна, веза иза, хӀунда аьлча шу а дара Мисар-махкахь тӀедаьхкина Ӏаш. Со шун Веза Дела ву.</verse>
				<verse number="35">Кхел ечохь а, хӀуманан йохалла билгалйоккхучохь а, хӀума узучохь а, юстучохь а харцо ма лелае.</verse>
				<verse number="36">Нийса терза а, герканаш а, бараман саьхьаш а хуьлда шун. Мисар-махкара шу арадаьхна шун Веза Дела ву Со.</verse>
				<verse number="37">Дерриг а Сан парзаш а ларде, Ас тӀе мел диллинарг кхочуш а де. Со Веза Эла ву“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="20">
				<verse number="1">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="2">«ДӀаала исраилхошка: „Исраилхойх я цаьрца тӀевеана Ӏаш волчух цхьаммо шен бераш Мулка-далла дӀалахь, и стаг вен веза. Дерриг а халкъо цунна тӀулгаш кхисса деза.</verse>
				<verse number="3">Ас, Сайн оьгӀазло цунна дуьхьал а яссийна, шен халкъана юкъара дӀаэккхор ву и стаг, хӀунда аьлча цо, шен бераш Мулкана дӀа а луш, Сан цӀа бех а дина, Сан сийлахь цӀе сийсаз а йина.</verse>
				<verse number="4">Нагахь санна оцу стага шен берех цхьаъ Мулкана дӀаваларх халкъана юкъара массара а шайн бӀаьргаш дӀахьаббинехь, цара иза ца вийнехь,</verse>
				<verse number="5">Ас-Айса Сайн оьгӀазло яссор ю цунна а, цуьнан гергарчарна а, Суна цатешаме а долуш, цуьнца цхьаьна Мулкана Ӏибадат деш болчарна массарна а дуьхьал. Аса уьш шайн халкъана юкъара лохкур бу.</verse>
				<verse number="6">Суна тешаме а боцуш, беллачийн синош тӀедоьхуш волчунна а, жинашца тайначунна а тӀеоьхуш болчарна дуьхьал Ас сайн оьгӀазло яссор ю, уьш шайн халкъана юкъара дӀа а эккхор бу.</verse>
				<verse number="7">Шаьш Далла лерина а хилийта, цӀена а хила, хӀунда аьлча Со, шун Веза Дела, цӀена ву.</verse>
				<verse number="8">Сан парзаш лар а де, кхочуш а де, хӀунда аьлча Со шу даздеш волу Веза Эла ву.</verse>
				<verse number="9">Шен дена я нанна неӀалт аьлларг вен веза. Иза шен дена я нанна луьйш вара, цундела шен цӀий шена тӀехь ду цунна.</verse>
				<verse number="10">Шен уллорачун зудчуьнца цхьаъ лелахь, хьарам лелла стаг а, зуда а ден деза.</verse>
				<verse number="11">Шен ден зудчуьнца цхьаъ дӀавижча, цо шен да сийсазво. И стаг а, цуьнца лелла зуда а ден деза, церан цӀий царна тӀехь ду.</verse>
				<verse number="12">Нагахь цхьаъ шен несаца дӀавижахь, и ший а дуьйр ду, хӀунда аьлча дегаза гӀуллакх ду цара динарг. Церан цӀий царна тӀехь ду.</verse>
				<verse number="13">Нагахь цхьаъ стагаца, зудчуьнца санна, дӀавижахь, цара динарг дегаза гӀуллакх ду. И шиъ вен веза, церан цӀий царна тӀехь ду.</verse>
				<verse number="14">Хьарам хӀума ду зуда а, цуьнан нана а ялор. И стаг а, ший зуда а цӀергахь даго деза. И санна боьха гӀуллакх шайна юкъахь ма хилийта!</verse>
				<verse number="15">Дийнатаца цхьаъ дӀавижахь, иза ве, дийнат а де.</verse>
				<verse number="16">Нагахь зуда дийнатца дӀайижахь, иза а е, дийнат а де. Уьш дайа деза, ткъа церан цӀий царна тӀехь ду.</verse>
				<verse number="17">Нагахь цхьаъ шен дена йинчу я нанас йинчу йишица дӀавижахь, цо динарг хьарам гӀуллакх ду. Шайн халкъана хьалха къомана юкъара дӀаэккхо деза и стаг а, зуда а. Шен йишица дӀавижарна, и стаг бехке а ву, цо жоп дала а деза.</verse>
				<verse number="18">Зударийн цамгар хуьлучу деношкахь стаг зудчуьнца дӀавижахь, цуьнан цӀий дӀаэхар гучудаьккхина цо. И шиъ шайн халкъана юкъара эккхо деза.</verse>
				<verse number="19">Ненан йишица а, ден йишица а дӀа ма вижа, хӀунда аьлча и дарца ахьа хьайн гергарчеран сий дойу. Стаг а, зуда а бехке хир ду, цара жоп дала дезар ду.</verse>
				<verse number="20">Нагахь стаг шен ден вешин зудчуьнца дӀавижахь, цо шен ден ваша сийсазвина. Стаг а, зуда а бехке хир ду, цара жоп дала деза, ткъа делла дӀадаллалц бераш хир дац церан.</verse>
				<verse number="21">Нагахь цхьаъ шен вешин зудчуьнца дӀавижахь, цо динарг боьха гӀуллакх ду. Шен ваша сийсазвина цо. Бехке долу стаг а, зуда а бераш доцуш хир ду.</verse>
				<verse number="22">Дерриг а Сан парзаш лар а де, Ас тӀе мел диллинарг кхочуш а де, Ас шу даха тӀедуьгучу лаьтто шу дӀа ма Ӏеттадойла.</verse>
				<verse number="23">Ас шу долчуьра дӀаэккхочу къаьмнийн гӀиллакхаш тӀе ма эца. Цу наха и массо а боьха гӀуллакхаш леладора, цундела Суна чӀогӀа ца бийзира уьш.</verse>
				<verse number="24">Ас шуьга элира: ‘Аша церан латта схьадоккхур ду. Шуьраца а, мазаца а дуьзна долу и латта шун дола дӀалур ду Аса’. Дерриг а кхечу халкъех шу дӀакъастийна волу шун Веза Дела ву Со.</verse>
				<verse number="25">Хьанал даьхни хьарамчух а, хьанал олхазарш хьарамчарах а дӀакъасто деза аша. Ас хьарам ду аьлла даьхни а, олхазарш а, лаьтта тӀехула текхаш ерш а яий, шаьш бех ма де.</verse>
				<verse number="26">Суна хьалха цӀена хила, хӀунда аьлча Со, Веза Эла, цӀена ву. Ас кхечу халкъех дӀакъастийна шу, Сайн хилийтархьама.</verse>
				<verse number="27">Нагахь стага я зудчо беллачийн синош тӀедоьхуш я пал туьйсуш хилахь, уьш байа беза. Царна тӀулгаш кхисса деза, церан цӀий царна тӀехь ду“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="21">
				<verse number="1">Везачу Эло Мусага элира: «ДӀаала динан дайшка, АхӀаронан кӀенташка: „Шайн халкъана юкъара веллачух куьг а тохий, шаьш Далла хьалха бех ма де.</verse>
				<verse number="2">Амма велларг цуьнан уллора гергарниг хиллехь — да я нана, кӀант я йоӀ, ваша</verse>
				<verse number="3">я маре яхаза, цуьнца цхьаьна Ӏийна йиша — цунах куьг Ӏоттарца динан дена магийтина ду ша бехван.</verse>
				<verse number="4">Халкъана юкъара муьлххачу стагах а хьакхавелла, ша бехван ца веза динан дас, сийсазвина ца хилийта.</verse>
				<verse number="5">Шайн кортош дӀадаша а, мажойн йистош ларга а, дегӀ а хедош, билгалонаш ян а мегар дац динан дайшна.</verse>
				<verse number="6">Шайн Далла хьалха цӀена хила беза уьш, Цуьнан цӀе сийсазъян ца еза цара, хӀунда аьлча Везачу Элана лерина цӀера тӀехь сагӀанаш дохурш бу уьш, ткъа и сагӀанаш Делан кхача бу. Цундела цӀена хилар тӀехь ду царна.</verse>
				<verse number="7">Нахаца леларг а, шен сий дайина ерг а, майрачо дӀатесна ерг а яло мегар дац цара, хӀунда аьлча уьш шайн Далла хьалха цӀена бу.</verse>
				<verse number="8">Динан да цӀена лара, хӀунда аьлча цо хьан Далла кхачанийн сагӀанаш доху. ЦӀена хуьлийла иза хьуна, хӀунда аьлча шу даздеш волу Со, Веза Эла, цӀена ву.</verse>
				<verse number="9">Нагахь динан ден йоӀ нахаца лелахь, цо шен да сийсазвоккху. ЦӀергахь яго еза иза.</verse>
				<verse number="10">Динан коьрта да шен вежаршна юкъара хаьржина ву, коьрта тӀе даьтта доттарца къобал а веш. Деза духарш тӀедуха вазвина волчу цо сингаттам гайта шен коьртара месаш низам доцуш хилийта а ца еза, шен тӀера бедарш этӀо а ца еза.</verse>
				<verse number="11">Велларг волчу чуваха ца веза иза. Ур-атталла деллачу дех я ненах а хьакхавелла, ша бехван ца веза цо.</verse>
				<verse number="12">Велларг дӀаволлархьама, Делан цӀа долчуьра дӀа а вахана, шен Делан цӀа сийсаздан ца деза цо, хӀунда аьлча даьтта тӀедоттарца дина долу Делан къобалвар ду цунна тӀехь. Со Веза Эла ву.</verse>
				<verse number="13">Шен халкъана юкъара йоӀстаг бен шена яло мегар дац цо.</verse>
				<verse number="14">Йисина йолу я йитина йолу, я сийсазйина йолу, я нахаца лелаш йолу зуда яло мегар дац цо, динан дас шена ялориг шен халкъана юкъара йолу йоӀстаг хила еза,</verse>
				<verse number="15">шен тӀаьхье Далла хьалха боьха ца хилийтархьама. Иза вазвеш волу Веза Эла ву Со“».</verse>
				<verse number="16">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="17">«ДӀаала АхӀароне: „Нагахь хьан тӀаьхьенах волчу цхьаннан дегӀа тӀехь сакхт хилахь, шен Далла кхачанийн сагӀанаш даха мегар дац цунна. Иза гуттаренна а тӀедуьллуш ду.</verse>
				<verse number="18">Далла сагӀанаш даха мегар дац иштта цхьа сакхт долчунна: бӀаьрзечунна, астагӀчунна, цӀарматчунна,</verse>
				<verse number="19">ког я куьг заьӀап долчунна,</verse>
				<verse number="20">букъ хьала ца нислуш волчунна, лохачунна, бӀаьрган цамгар йолчунна, чераш долчунна, чкъуран цамгар йолчунна, бехке меттехь чов йиначунна.</verse>
				<verse number="21">Динан ден АхӀаронан тӀаьхьенах а волуш, дегӀа тӀехь сакхт долчу цхьана а стеган йиш яц Везачу Элана тӀеван цӀера тӀехь сагӀанаш даха. Сакхт ду цунна тӀехь, цундела шен Далла кхачанийн сагӀанаш даха мегар дац цунна.</verse>
				<verse number="22">Суна лерина даьхна сагӀанаш даа мегар ду цо, беза кхача я уггар беза кхача иза белахь а.</verse>
				<verse number="23">Амма цу стагана тӀехь сакхт хиларна, Делан четаран уггар езачу чоьнна хьалха долчу кирхьанна а, сагӀа доккхучу кхерчана а тӀеван мегар дац иза, Сан четар а, цунна чохь мел ерг а сийсаз ца ярхьама. Уьш язъеш волу Веза Эла Со ма ву“».</verse>
				<verse number="24">АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а, берриг а исраилхошка а дӀахаийтира иза Мусас.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="22">
				<verse number="1">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="2">«ДӀаала АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а исраилхоша Суна къобалдеш долу деза сагӀанаш леррина леладе, Сан еза цӀе сийсаз ца яйтархьама. Со Веза Эла ву.</verse>
				<verse number="3">ДӀаала цаьрга: „Шун тӀаьхьенах волу цхьаъ, Далла хьалха цӀена а воцуш, исраилхоша Суна къобалдинчу дезачу сагӀанашна гергакхачахь, Суна хьалхара дӀаэккхор ву иза. Со Веза Эла ву“.</verse>
				<verse number="4">АхӀаронан тӀаьхьенах волу цхьаъ чкъуран цамгар йолуш я дегӀах тӀуналла схьайолуш велахь, цо деза сагӀа даа мегар дац, ша цӀанваллалц. Еллачу хӀуманах хьакхаеллачух куьг Ӏоьттинарг а, боьршачу нехан тӀуналла шех схьаяьлларг а,</verse>
				<verse number="5">муьлххачу а текхаргех хьакхавелларг а, боьхачу стагах хьакха а велла, цӀена воцург а</verse>
				<verse number="6">сарралц боьха хир ву. Цо деза сагӀа даа мегар дац, хица шен дегӀ диллалц.</verse>
				<verse number="7">Малх чубуьзча, иза цӀена хир ву, тӀаккха цо сагӀанех йолу хӀума яа мегар ду, хӀунда аьлча иза цуьнан кхача бу.</verse>
				<verse number="8">Къеделла я акхароша дийна долу дийнат даа мегар дац динан дена. Ишттачу кхачано иза бехвийр ву. Со Веза Эла ву.</verse>
				<verse number="9">Сан хьехамаш ларбойла цара, шаьш бехке ца хилийтархьама а, тӀедиллинарг талхор бахьана долуш ца далархьама а. Уьш базбеш волу Веза Эла ву Со.</verse>
				<verse number="10">Хийрачо цхьаммо а деза сагӀа даа мегар дац. Динан да волчохь Ӏачу хьешо а, динан дена йолах болх бечу стага а даа мегар дац деза сагӀа.</verse>
				<verse number="11">Ахча а делла, эцначу а, цуьнан хӀусамехь дуьнен чу ваьллачу а лено даа мегар ду и сагӀа.</verse>
				<verse number="12">Динан дайн тӀаьхьенах схьа ца ваьллачу стаге маре яханчу динан ден йоӀа дезачу сагӀина деанарг даа мегар дац.</verse>
				<verse number="13">Бераш а доцуш, йисна я йитина Ӏаш йолчу динан ден йоӀа, шен хӀусаме юхаеача, даа мегар ду шен ден бепиг, ша жима йолчу хенахь санна. Ткъа хийрачо цхьаммо а иза даа мегар дац.</verse>
				<verse number="14">Цхьаммо ларамаза дезачу сагӀанах цхьаъ яахь, цо динан дена и деза сагӀа юхаметтахӀотто деза, цу тӀе цуьнан пхоьалгӀа дакъа тӀе а тоьхна.</verse>
				<verse number="15">Динан дайша шаьш а сийсаздан мегар дац исраилхоша Везачу Элана деана долу деза сагӀанаш,</verse>
				<verse number="16">бакъо йоцучу нахе уьш даа а даийтина. Цу хӀумано уьш бехке а хуьлуьйтур бу, царна таӀзар а дийр ду. Уьш базбеш волу Веза Эла ву Со».</verse>
				<verse number="17">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="18">«ДӀаала АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а, берриг исраилхошка а: „Нагахь исраилхойх я царна юкъахь тӀевеана Ӏаш волчух цхьаммо цхьана нигатца я даггара леларца дийнаташ дагоран сагӀа Везачу Элана лерина доккхуш делахь,</verse>
				<verse number="19">сагӀина далийна дийнат старгӀанех я койх, я бежалойх эцна сакхт доцу боьршаниг хила еза, Дела резахилийтархьама.</verse>
				<verse number="20">ТӀехь сакхт долу цхьа а дийнат Везачу Элана лерина ма даладелаш, цуьнца аш Дела резавийр вац.</verse>
				<verse number="21">Нагахь цхьаммо шен нигатца я даггара леларца Везачу Элана лерина бертан сагӀина доккха я жима дийнат далийнехь, иза сакхт доцуш хила деза, Дела цунна резахилийта. Дийнаташна тӀехь цхьа а сакхт хила йиш яц.</verse>
				<verse number="22">БӀаьрзе я лазийна, я цӀармата, я цомгуш долу, я даьӀнаш долу, я чераш долу дийнат Везачу Элана лерина ма даладе. Царах цхьа а, Везачу Элана лерина цӀера тӀехь даьккхина сагӀа санна, сагӀа доккхучу кхерча тӀе ма дилла.</verse>
				<verse number="23">ТӀех беха я боца когаш болу старгӀа я Ӏахар даггара леларца долчу сагӀина дало мегар ду, амма нигатца доккхучу сагӀина уьш мегар дац, Дела резахир вац ишттачу хӀуманна.</verse>
				<verse number="24">Боьршалла гойту коьчалш лазийна я хьаьшна, я дӀаяьхна, я дӀахедийна долу дийнаташ Везачу Элана лерина ма даладе, шайн махкахь и саннарг ма де.</verse>
				<verse number="25">Кхечу къаьмнех болчу нехан карара иштта дийнаташ шайн Далла леринчу сагӀина схьа ма эца, хӀунда аьлча царна тӀехь сакхт ду. Цара Дела шуна резахуьлуьйтур вац“».</verse>
				<verse number="26">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="27">«Эса я Ӏахар, я буьхьиг йича, ворхӀ дийнахь шен ненаца йита еза, ткъа борхӀалгӀачу дийнахь дуьйна цӀера тӀехь Везачу Элана цунах сагӀа даккха мегар ду.</verse>
				<verse number="28">Аттана цо динчу эсаца, жийна цо бинчу Ӏахарца цхьана дийнахь урс ма хьакхалаш.</verse>
				<verse number="29">Нагахь шаьш Везачу Элана лерина баркаллин сагӀа доккхуш делахь, Дела шайна резахуьлуьйтучу кепара даккха иза.</verse>
				<verse number="30">Цу дийнахь даа деза и сагӀа, цунах хӀума Ӏуьйренга ма ялийта. Со Веза Эла ву.</verse>
				<verse number="31">Сан весеташ лар а де, кхочуш а де. Со Веза Эла ву.</verse>
				<verse number="32">Сан еза цӀе сийсаз ма е, исраилхойн дерриг а халкъо Со веза хилар къобалдан деза. Шу даздеш волу Веза Эла ву Со.</verse>
				<verse number="33">Шун Дела хилархьама, шу Мисар-махкара арадаьхна Ас. Со Веза Эла ву».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="23">
				<verse number="1">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="2">«ДӀаала исраилхошка: „ХӀорш ду Суна лерина долу динан деза денош. Цу деношкахь аша безачу гуламашка халкъ кхайкха деза.</verse>
				<verse number="3">Ялх дийнахь болх бан мегар ду, ткъа ворхӀалгӀа де, садоӀу шоьтан де, безачу гуламна лерина хилийта. Цу дийнахь цхьа а тайпа болх ма бе. Миччанхьа а шу Ӏаш делахь а, иза Везачу Элана лерина долу шоьтан де ду.</verse>
				<verse number="4">ХӀорш ду Везачу Элана лерина кхидолу деза денош, шайн-шайн хенашкахь билгалдаьхначу гуламашца“».</verse>
				<verse number="5">«Хьалхарчу беттан дейтталгӀачу дийнахь, сарахь, Везачу Элана лерина Пасахь хила деза.</verse>
				<verse number="6">Ткъа цу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь Везачу Элана лерина долу Совсазчу баьпкан деза денош дуьйладала деза. ВорхӀ дийнахь совсаза бепиг даа дезаш ду шу.</verse>
				<verse number="7">Цу езачу хенан хьалхарчу дийнахь безачу гуламе нах кхайкха. Вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь.</verse>
				<verse number="8">ВорхӀ дийнахь Везачу Элана лерина цӀера тӀехь сагӀанаш даха. ВорхӀалгӀачу дийнахь а кхайкха нах безачу гуламе. Вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь».</verse>
				<verse number="9">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="10">«ДӀаала исраилхошка: „Ас шайна луш долчу лаьтта тӀе шаьш даьхкича, ялта чудерзочу хенахь дуьххьарлера цӀов динан дега дӀало.</verse>
				<verse number="11">Цо и цӀов, шатайпа сагӀа санна, Везачу Элана хьалха хьалаойур бу, Иза шуна резахилийта. Шоьтан де чекхдаьллачу шолгӀачу дийнахь и ялтин цӀов Везачу Элана хьалха хьалаойур бу цо.</verse>
				<verse number="12">ЦӀов хьалаойучу дийнахь цхьа шо кхаьчна, сакхт доцу Ӏахар а бей, цунах Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран сагӀа даккха.</verse>
				<verse number="13">Ӏахарца цхьаьна кӀен сагӀа а, чагӀаран сагӀа а да. КӀен сагӀина цхьа сахь кӀен тоьлла дама схьа а эца, ткъа цу тӀе даьтта тоха. ЦӀера тӀехь даьккхина кӀен сагӀин хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. ЧагӀаран сагӀина хӀин цӀе йолчу бараман доьалгӀа дакъа чагӀар схьаэца.</verse>
				<verse number="14">Шайн Далла лерина и сагӀанаш дохуш долу де тӀекхаччалц, бепиг а, кхерзина я керла буьртигаш а ма даалаш. Шун тӀаьхьенашна, миччанхьа шаьш Ӏаш делахь а, гуттаренна а тӀедуьллуш ду иза“».</verse>
				<verse number="15">«Везачу Элана хьалха хьалаайа шаьш цӀов баьхьначу шоьтан де чекхдаьллачу шолгӀачу денна тӀера дуьззина ворхӀ кӀира дагарде.</verse>
				<verse number="16">Шовзткъе итт де дӀадаьлча, ворхӀалгӀа шоьтан де чекхдаьллачу шолгӀачу дийнахь, Везачу Элана лерина керла кӀен сагӀа даккха.</verse>
				<verse number="17">Шайн хӀусамаш тӀера Везачу Элана хьалха хьалаайина шатайпа сагӀа санна ши бепиг да. Цхьа сахь тоьллачу кӀен демах хьакхийначу совсийначу бедах дина хила деза и баьпкаш. Везачу Элана лерина дуьххьарлерчу ялтех долу совгӀат хир ду иза.</verse>
				<verse number="18">Баьпкашца цхьаьна шо кхаьчна долу, цхьа а сакхт доцу ворхӀ Ӏахар а, даккхийчу хьайбанех цхьа старгӀа а, ши ка а балабе. Цу бежанех Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран сагӀа доккхур ду. Цаьрца цхьаьна кӀен а, чагӀаран а сагӀанаш даха дезаш ду. ЦӀера тӀехь дохуш долчу оцу сагӀанийн хьожа Везачу Элана тамехь хир ю.</verse>
				<verse number="19">Къинан сагӀина цхьа бож а, бертан сагӀина шо кхаьчна ши Ӏахар а кечбе.</verse>
				<verse number="20">Везачу Элана хьалха шатайпа сагӀа санна даккха деза динан дас дуьххьарлерчу ялтех дина баьпкаш а, ши Ӏахар а. Везачу Элана лерина деза сагӀа ду иза. И сагӀа динан дена дӀадала дезаш ду.</verse>
				<verse number="21">Безачу гуламе цу дийнахь нах схьакхайкха, вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь. Шун тӀаьхьенашна, миччанхьа уьш Ӏаш белахь а, гуттаренна а тӀедуьллуш ду иза.</verse>
				<verse number="22">Шайн лаьтта тӀехь ялта хьокхучу хенахь кхан йистошка кхаччалц ма хьакха иза, ткъа охьаэгна кенаш схьа ма лехьаде. Къечарна а, тӀебаьхкинчарна а дита уьш. Со шун Веза Дела ву».</verse>
				<verse number="23">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="24">«ДӀаала исраилхошка: „ВорхӀалгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь садаӀа. МаӀаш а локхуш, безачу гуламе нах а кхайкха, дагалацаран де а хӀоттаде цу дийнахь.</verse>
				<verse number="25">Вукху деношкахь санна болу болх ма бе, Везачу Элана лерина сагӀа даккха цу дийнахь“».</verse>
				<verse number="26">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="27">«ВорхӀалгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь безачу гуламе нах кхайкха, цу дийнахь къинош дӀадахаран де хир ду шун. Массо а хӀума шайна доьхкуш, марха а кхабий, Везачу Элана лерина цӀера тӀехь сагӀа даккха.</verse>
				<verse number="28">Цу дийнахь цхьа а тайпа болх ма бе, хӀунда аьлча иза къинош дӀадахаран де ду, шун Везачу Далла хьалха шуна тӀера къинош дӀадохуш долу де.</verse>
				<verse number="29">Муьлхха а цу дийнахь массо а хӀуманна тӀера марха ца кхаьбнарг шен халкъана юкъара эккхор ву.</verse>
				<verse number="30">Цу дийнахь муьлхха а болх бинарг Ас шен халкъана юкъара хӀаллаквийр ву.</verse>
				<verse number="31">Цхьа а тайпа болх ма бе. Шун тӀаьхьенашна, миччанхьа уьш Ӏаш белахь а, гуттаренна а тӀедуьллуш ду иза.</verse>
				<verse number="32">Иза садоӀу шоьтан де ду шуна. Цу беттан уьссалгӀачу дийнахь сарахь дуьйна, массо а хӀума шайна доьхкуш, марха кхаба. УьтталгӀачу дийнан суьйре тӀекхаччалц ларде шайн садоӀу шоьтан де».</verse>
				<verse number="33">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="34">«ДӀаала исраилхошка: „Оццу ворхӀалгӀачу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь дуьйна ворхӀ де Везачу Элана лерина хилийта. Адамаш кхалораш кӀелахь Ӏаш долу деза денош де царах.</verse>
				<verse number="35">Хьалхарчу дийнахь беза гулам дӀахьо, вукху деношкахь санна болу болх ма бе.</verse>
				<verse number="36">ВорхӀ дийнахь Везачу Элана лерина цӀера тӀехь сагӀа даккха. БархӀалгӀачу дийнахь безачу гуламе нах а кхайкха, Везачу Элана цӀера тӀехь сагӀа а даккха. Иза динан гулам бу, вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу хенахь.</verse>
				<verse number="37">(Иштта ду Везачу Элана лерина деза денош. Цу деношкахь безачу гуламашка нах а кхайкха, шен-шен дийнахь цӀера тӀехь сагӀанаш а даха: дийнаташ дагоран а, кӀен а, бертан а, чагӀаран а сагӀанаш.</verse>
				<verse number="38">И деза денош Везачу Элана леринчу шоьтан деношна тӀетоьхна а ду, ткъа и сагӀанаш — Везачу Элана лерина кхидолчу сагӀанашна а, шайн лаамца я шаьш динчу нигаташца дахьачу совгӀаташна а тӀетоьхна а ду.)</verse>
				<verse number="39">ВорхӀалгӀачу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь дуьйна, шаьш ялта схьагулдина девлча, ворхӀ дийнахь Везачу Элана лерина деза денош дазде, хьалхарчу а, бархӀалгӀачу а дийнахь са а доӀуш.</verse>
				<verse number="40">Хьалхарчу дийнахь тоьлла стоьмаш а, хурма-диттан а, шуьйра гӀаш долчу диттан а, хина уллохь кхуьучу дак-диттан а гаьннаш схьа а эций, шайн Везачу Далла хьалха ворхӀ дийнахь самукъадаккха.</verse>
				<verse number="41">ХӀора шарахь ворхӀ дийнахь Везачу Элана лерина дазде и деза денош. Иза шун тӀаьхьенашна гуттаренна а тӀедуьллуш ду. ВорхӀалгӀачу баттахь дазде и деза денош.</verse>
				<verse number="42">Кхалораш кӀелахь Ӏе ворхӀ дийнахь. Исраилан махкахь дина долу муьлхха а стаг а, зуда а кхалор кӀелахь Ӏен деза.</verse>
				<verse number="43">Шун тӀаьхьенашна хуур ду тӀаккха, исраилхой Мисар-махкара арабаьхча, Ас кхалораш кӀелахь баха охьаховшийний. Со шун Веза Дела ву“».</verse>
				<verse number="44">Иштта Мусас исраилхошна дийцира Везачу Элан дезачу денойх лаьцна.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="24">
				<verse number="1">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="2">«Исраилхошна тӀедилла, даго тоьлла цӀена зайтдаьтта да алий, стогар массо а хенахь богуш хилийта.</verse>
				<verse number="3">Бартбаран тӀорказна дуьхьалъоьллинчу кирхьанан арарчу агӀор гуламан четарна чохь АхӀарона стогар Везачу Элана хьалха латийна латто беза, сарахь дуьйна Ӏуьйре тӀекхаччалц. Шун тӀаьхьенашна гуттаренна а тӀедуьллуш ду иза.</verse>
				<verse number="4">ЦӀеначу деших бинчу стогарна тӀехь болу къуьданаш Ӏалашбийр бу цо, Везачу Элана хьалха иза гуттар а латийна латтор а бу».</verse>
				<verse number="5">«КӀен дама схьа а эций, цунах шийтта бепиг датта, хӀора баьпкана цхьа сахь дама хьакхаде.</verse>
				<verse number="6">Везачу Элана хьалха гонах цӀена деши лаьцначу стоьла тӀе шина могӀарехь, ялх-ялх а дуьллуш, охьадахка и баьпкаш.</verse>
				<verse number="7">ХӀора могӀарехь хаза хьожа йогӀу сегӀаз а охьадилла, баьпкан метта Везачу Элана лерина цӀера тӀехь доккхучу сагӀина хир ду иза. Дерриг а бепиг Везачу Элана сагӀина дӀаделла хиларан билгало хир ю иза.</verse>
				<verse number="8">ХӀора шоьтан дийнахь исраилхойн метта динан дас Везачу Элана хьалха дахка деза и баьпкаш. Иза гуттаренна а болу барт бу.</verse>
				<verse number="9">АхӀаронан а, цуьнан кӀентийн а хир ду и баьпкаш. Езачу меттехь дуур ду цара уьш, хӀунда аьлча Везачу Элана леринчу цӀера тӀехь даьхначу сагӀанех деза сагӀа ду иза царна делла долу. Иза гуттаренна а тӀедиллина хӀума ду».</verse>
				<verse number="10">Исраилхойн зудчо мисархочунна вина цхьа кӀант исраилхошна тӀевеара. Церан меттамотт болчохь цхьана исраилхочуьнца дов даьккхира цо.</verse>
				<verse number="11">Везачу Элана лен а, Цуьнан цӀе емалъян а волавелира и кӀант, тӀаккха исраилхоша Мусана тӀе валийра иза. (Оцу кӀентан ненан цӀе яра Шаламат — иза данхо волчу Дибиран йоӀ яра.)</verse>
				<verse number="12">Царна Везачу Элан лаам хаийтталц, наха дӀалецира иза.</verse>
				<verse number="13">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="14">«Далла луьйш хилла волу стаг меттаматтал арахьа ваккха. Цо дийцинарг хезначара цуьнан коьрта тӀе куьйгаш дахка, массо а халкъо цунна тӀулгаш кхисса.</verse>
				<verse number="15">ДӀаала исраилхошка: „Шен Далла луьйш верг бехке а хир ву, ткъа цо жоп дала а деза.</verse>
				<verse number="16">Везачу Элан цӀе емалъеш верг вен веза. Дерриг а халкъо цунна тӀе тӀулгаш кхисса деза. ТӀевеана стаг я махкахо Везачу Элан цӀе емалъеш велахь, иза вен веза.</verse>
				<verse number="17">Нагахь цхьаммо стаг вехь, иза вен веза.</verse>
				<verse number="18">Цхьаммо нехан бежана дехь, цо иза дӀатакха деза: дахарна дуьхьал — дахар.</verse>
				<verse number="19">Нагахь цхьаммо шен уллорачун дегӀан меже лазийнехь, цо диннарг цунна а дан деза:</verse>
				<verse number="20">меже кагйинехь, цуьнан а кагъян еза, бӀаьргана дуьхьал бӀаьрг баккха беза, цергана дуьхьал церг яккха еза. Цо кхечу стеган дегӀа тӀехь дина зен цунна а дан деза.</verse>
				<verse number="21">Цхьаммо бежана дехь, цо иза дӀатакха деза. Цхьаммо стаг вехь, иза вен веза.</verse>
				<verse number="22">Цу гӀуллакхашна тӀедиллинарг цхьаъ хир ду шуна тӀевеанчунна а, махкахочунна а, хӀунда аьлча Со шун Веза Дела ву“».</verse>
				<verse number="23">Мусас дӀадийцира иза исраилхошка. Дела емалвеш хиллачу стагана, меттаматтал ара а ваьккхина, тӀулгаш кхиссира цара. Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара, дерриг а кхочушдира исраилхоша.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="25">
				<verse number="1">Синай-лам тӀехь Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="2">«ДӀаала исраилхошка: „Аса шайна лун долчу лаьтта тӀе шаьш даьхкича, Везачу Элана лерина садоӀучу заманахь цу лаьтте садаӀийта.</verse>
				<verse number="3">Ялх шарахь дӀае шайн аренаш, ялх шарахь шайн кемсаш а хедае, церан кенаш а лахьаде.</verse>
				<verse number="4">Амма ворхӀалгӀачу шарахь лаьтте садаӀийта. Везачу Элана лерина шатайпа хан хила еза иза. Цу шарахь латта дӀа а ма де, кемсаш а ма хедае.</verse>
				<verse number="5">Лаьтта тӀехь ша хьалаяьлларг тӀаьхьалонна дӀа ма йилла, хедоза йолчу кемсийн таьллангаш тӀера кенаш схьа а ма даха. Лаьтто садоӀу шо хир ду иза.</verse>
				<verse number="6">Лаьтто цхьана шарахь садоӀур ду, амма тоъал кхача хир бу шуна а, шун лешна а, гӀарбашашна а, тӀелаьцначу белхалошна а, шуьгахь Ӏачу тӀебаьхкинчу нахана а,</verse>
				<verse number="7">шун даьхнина а, шун лаьтта тӀехь йолчу акхарошна а. Лаьттах ша схьаяьлларг шуна яа мегар ю“».</verse>
				<verse number="8">«МеттахӀотторан шо шайна юкъахь долу ворхӀ шо ворхӀазза дагар а дай, шовзткъе исс шо шайн хилийта.</verse>
				<verse number="9">Цул тӀаьхьа, ворхӀалгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь берриг а шайн махкахь Къинош дӀадахаран де дӀакхайкхаде, маӀа а локхуш.</verse>
				<verse number="10">Шовзткъе уьтталгӀа шо къобал а де, шайн махкахь Ӏаш мел волу стаг паргӀат а ваккха. МеттахӀотторан шо ду алий, кхайкхаде и шо. ХӀора а шен доьзалан долахь хиллачу лаьтта тӀе а, шен тайпане а кхача.</verse>
				<verse number="11">Шовзткъе уьтталгӀа шо шун шатайпа меттахӀотторан шо хилла дӀахӀуттур ду. ХӀумма а де а ма де, лаьттах ша хьаладаьлларг тӀаьхьалонна дӀа а ма дилла, хедоза йолчу кемсаш тӀера кенаш схьа а ма даха.</verse>
				<verse number="12">ХӀунда аьлча и хан шуна еза хир ю. Арара схьаяьлларг яа шайна.</verse>
				<verse number="13">МеттахӀотторан шарахь хӀора а шен доьзалан латта тӀе верза, цуьнан дола дан.</verse>
				<verse number="14">Хьайн уллорачунна цхьа хӀума юхкуш я цуьнгара оьцуш хьо велахь, вовшийн ле ма ве.</verse>
				<verse number="15">МеттахӀотторан шо дӀадаьллачул тӀаьхьа долу шераш а дагардина, эца еза ахьа хьайн уллорачуьнгара хӀума, ткъа цо а, ялта хин долу шераш а дагардина, хьуна йохка еза иза.</verse>
				<verse number="16">Нагахь санна дуьсуш долу шераш дукха делахь, мах лакхабаккха, нагахь кӀеззиг дуьсуш делахь, лахабаккха, хӀунда аьлча духкуш дерг масех шарахь хин долу ялта ду.</verse>
				<verse number="17">Вовшийн ле ма де, шайн Делах кхера, хӀунда аьлча Со Веза Эла, шун Дела ву».</verse>
				<verse number="18">«Аса шайна тӀедиллинарг а, Сан парзаш а, лар а деш, кхочушде. ТӀаккха шу синтем болуш Ӏийр ду шайн махкахь.</verse>
				<verse number="19">Лаьтто шуна шортта ялта лур ду, шун дуккха а даа хӀума хир ду, тӀаккха шу синтем болуш шайн махкахь Ӏийр ду.</verse>
				<verse number="20">Амма аша ала тарло: „Оха латта дӀадуьйш а ца хилча, ворхӀалгӀачу шарахь тхан яа хӀума хир яц“.</verse>
				<verse number="21">Цунна аша са ма гатде. Аса йолхалгӀачу шарахь Сайн беркат доссор ду шуна тӀе, тӀаккха цу шарахь шуна кхаа шарахь даъал рицкъа хир ду.</verse>
				<verse number="22">Ткъа бархӀалгӀачу шарахь ялта дӀадоьчу хенахь, шун шира ялта кхачоза хир ду, иза дуур ду аша, уьссалгӀачу шарахь керла ялта кхиъалц».</verse>
				<verse number="23">Латта гуттаренна а дохка мегар дац, хӀунда аьлча иза Сан ду. Шу Сан латта лело шайна бакъо еллачу хийрачу махкарчу нахах тера ду.</verse>
				<verse number="24">Шайн доьзалан латта мел долчохь иза юхаэцар магаде.</verse>
				<verse number="25">Нагахь вашас, къий а велла, доьзалан латта дӀадохкахь, цунна гӀо дан дезаш волчу гергарчу стага, ван а веана, цо доьхкинарг юхаоьцур ду.</verse>
				<verse number="26">Стеган шен доьзалан латта юхаэцийта гергара стаг ца хила а тарло, амма тӀаьхьо, беркат а хилла, цуьнгахь иза юхаэццал ахча хила мега.</verse>
				<verse number="27">ТӀаккха цунна, доьзалан латта доьхкинчул тӀаьхьа йолу хан а лерина, шерашка хьаьжжина лаьттах хӀун мах бала беза хуур ду. Юха а эцна, доьзалан лаьттан дола дийр ду цо.</verse>
				<verse number="28">Амма цуьнан шен доьзалан латта юхаэццал ахча ца хилахь, иза эцначу стеган карахь дуьсур ду меттахӀотторан шо тӀекхаччалц. Ткъа цу шарахь латта юха а шен хьалха хиллачу хӀусамден дола дер ду.</verse>
				<verse number="29">Нагахь стага гонах пен болчу гӀалахь долу цӀа дохкахь, цхьа шо далале иза юхаэца бакъо ю цуьнан.</verse>
				<verse number="30">Амма шо далале цо иза юха ца эцахь, гонах пен болчу гӀалара цӀенош эцначу стеган а, цуьнан тӀаьхьенан а дола довлу, меттахӀотторан шарахь а доьхкинчу стагана иза юхалур дац.</verse>
				<verse number="31">Ткъа гонах пен боцучу шахьаршкахь долу цӀенош арарчу лаьттан меха лоруш ду. Уьш мичча хенахь а юхаэца а мега, ткъа меттахӀотторан шарахь шайн хьалхалерчу хӀусамден юха а дола довлу.</verse>
				<verse number="32">Шайн долахь йолчу гӀаланашкахь муьлххачу хенахь а цӀенош юхаэца бакъо ю левихойн.</verse>
				<verse number="33">Ткъа, масала, царах цхьаммо цӀенош юха ца эцахь, меттахӀотторан шарахь уьш юха а хӀусамден дола девр ду, хӀунда аьлча левихойн гӀаланашкахь долу цӀенош церан долахь ду. Исраилхошна юкъахь левихойн дакъа ду иза.</verse>
				<verse number="34">Амма церан гӀаланашна гонах йолу аренаш йохка мегаш яц, хӀунда аьлча уьш гуттар а йолчу ханна церан дола яьхна ю.</verse>
				<verse number="35">Нагахь санна хьайн ваша, къийвелла, таро йоцуш велахь, гӀо де цунна, тӀевеанчу стагана я хьешана санна, иза шуна юкъахь кхидӀа а Ӏайта.</verse>
				<verse number="36">Айхьа цуьнга деллачу ахчанах ял а ма яккха, хьайн Делах а кхера, хьайн ваша шайна юкъахь а вахийта.</verse>
				<verse number="37">Ял яккхийта духалург хьайн ахча а ма ло цуьнга, са яккхийта хьайн ялта а ма дохка цунна.</verse>
				<verse number="38">КанаӀан-мохк шуна бала а, шун Дела хила а Мисарара шу арадаьхна волу шун Веза Дела ву Со.</verse>
				<verse number="39">Къийвеллачу вашас ша хьайна вохкахь, ваца ма ве иза, лай санна.</verse>
				<verse number="40">Хьо волчохь Ӏайта иза, цхьана ханна тӀевеана стаг санна, меттахӀотторан шо тӀекхаччалц.</verse>
				<verse number="41">ТӀаккха, шен бераш схьа а эцна, гергарчу нахана тӀегӀур ву иза. Цигахь шен доьзалан латта юха схьаоьцур ду цо.</verse>
				<verse number="42">ХӀунда аьлча уьш Сан леш бу, Ас Мисарара арабаьхна болу. Уьш леш санна, бохка мегар дац.</verse>
				<verse number="43">Къизаллица олалла а ма де цу стагана тӀехь, хьайн Делах кхоьруш а хила.</verse>
				<verse number="44">Шайна леш я гӀарбашаш безахь, гонахарчу къаьмнашна юкъахь эца уьш.</verse>
				<verse number="45">Иштта шайн махкахь тӀебаьхкина Ӏаш болу нах а, шайн лаьтта тӀехь кхиинчу церан тӀаьхьенах берш а эца мегар ду. Уьш шун долахь хила мегаш бу.</verse>
				<verse number="46">Шайн тӀаьхьенашна бита а мега аша уьш, кхин болу бахам санна. Уьш гуттар а церан долахь хир бу, леш а хилла. Ткъа шайн вежаршна-исраилхошна тӀехь къизаллица олалла ма де.</verse>
				<verse number="47">Хийрачу махкара веана я цхьана ханна шуна юкъахь Ӏаш волу стаг хьал долуш велахь, ткъа хьан ваша, къий а велла, цу стагана вохкавеллехь,</verse>
				<verse number="48">ша юхаэцийта бакъо хир ю цуьнан. Вежарех цхьаммо юхаэца мегар ду иза.</verse>
				<verse number="49">Цуьнан девашас я девешин кӀанта юхаэца мегар ду иза, гергарчу нахах я тайпанах цхьаммо юхаэца а мегар ду. Ткъа тоъал таро елахь, ша мах бала а мегар ду цо шех.</verse>
				<verse number="50">Ша эцначунна мах дӀатакха беза цо, ша воьхкинчу шарна тӀера дуьйна меттахӀотторан шарна тӀекхаччалц. Шех делла долу ахча а, шераш мел ду а хьаьжна, дӀадала деза цо, хӀунда аьлча и стаг хӀусамда волчохь тӀелаьцна белхало санна хилла.</verse>
				<verse number="51">Ткъа меттахӀотторан шо тӀекхача дуккха а шераш дуьсуш делахь, церан терахье а хьаьжна, ша юхаоьцуш деллачу ахчанал сов дӀадала деза цо.</verse>
				<verse number="52">Нагахь шераш кӀезиг дуьсуш делахь, уьш дагар а дина, дӀабала беза шех богӀу мах.</verse>
				<verse number="53">ХӀора шарахь йолах тӀелаьцначу белхалочуьнца санна хила деза шу цуьнца. ХӀусамдега цунна тӀехь ницкъ ма байта.</verse>
				<verse number="54">Нагахь цхьаммо а иза юха ца эцахь, меттахӀотторан шарахь иза а, цуьнан бераш а паргӀатдевр ду.</verse>
				<verse number="55">ХӀунда аьлча исраилхой Сан леш бу, Ас Мисарара арабаьхна болу. Со шун Веза Дела ву.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="26">
				<verse number="1">«Шайна цӀуш ма бе, лалийна цӀуш а, харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш а, тӀулгех хедийна цӀуш а ма хӀиттабе, царна Ӏибадат дархьама, хӀунда аьлча Со шун Веза Дела ву.</verse>
				<verse number="2">Суна лерина шоьтан денош лар а де, Суна Ӏибадат до меттиг а лара: Со Веза Эла ву.</verse>
				<verse number="3">Нагахь Сан парзашца шу лелахь, Сан весеташ, лар а деш, аш кхочушдахь,</verse>
				<verse number="4">Ас шен хеннахь догӀанаш доуьйтур ду шуна, тӀаккха лаьтто ялта а, арарчу дитташа шайн стоьмаш а лур бу.</verse>
				<verse number="5">Кемсаш схьайоху хан тӀекхаччалц шайн ялта орур ду аша, ткъа кемсаш ялта дӀаделлалц схьайохур ю аша. Дуззалц шайн бепиг а дууш, шайн махкахь паргӀат Ӏийр ду шу.</verse>
				<verse number="6">Шун махкахь машар хӀоттор бу Ас. ПаргӀат дӀадуьйшур ду шу, цхьаммо а шуна новкъарло йийр яц. Къиза акхарой шун лаьтта тӀера дӀалохкур ю Ас, тӀом шун махкахь кхин могуьйтур бац.</verse>
				<verse number="7">Шайн мостагӀий лохкур бу аша, шун тарраша эгор бу уьш.</verse>
				<verse number="8">Шух пхеаммо бӀе эккхор ву, бӀеммо итт эзар лоллур ву, шун тарраша эгор бу и мостагӀий.</verse>
				<verse number="9">Шун терго йийр ю Ас, шу доьбуьйтур ду, дуккха а бераш а хуьлуьйтуш. Вай бинчу барта тӀехь Со чӀогӀа лаьттар ву.</verse>
				<verse number="10">Шарахь а сов даъал хир ду шун ялта, керла ялта чуэцча, шираниг дӀакхуссур ду аша.</verse>
				<verse number="11">Сайн Ӏаш йолу меттиг шуна юкъахь дӀахӀоттор ю Ас, шух дӀавоьрзур вац Со.</verse>
				<verse number="12">Шуна юкъахь лелаш, шун Дела хир ву Со, ткъа шу Сан халкъ хир ду.</verse>
				<verse number="13">Шу, леш а хилла, ца дитархьама, Мисар-махкара арадаьхна волу шун Веза Дела ву Со. Шуна тӀехь хилла лоллин дукъ а кагдина, кхечу къаьмнашна муьтӀахь хиллачуьра Аса шу паргӀатдехира».</verse>
				<verse number="14">«Нагахь Ас бохург а ца деш, дерриг а хӀара весеташ аш кхочуш ца дахь,</verse>
				<verse number="15">нагахь Сан парзаш дӀа а теттина, Ас тӀедиллинчух а ца дешаш, Сан весеташ кхочуш а ца деш, Соьца бина барт а талхош, шу лелахь,</verse>
				<verse number="16">Ас шуна таӀзар дийр ду. Кхерам а, хӀоралла а, дагар а хоьцур ду Ас шуна тӀе. Цара шун бӀаьрса а гӀелдийр ду, синош а бӀарздийр ду. Аш ялта дӀадер эрна хир ду, шун мостагӀаша иза дуур долу дела.</verse>
				<verse number="17">Ас Сайн оьгӀазло шуна дуьхьал яссор ю, тӀаккха шу мостагӀаша эшор ду. Шуна тӀехь олалла дийр ду цара. Шу довдур ду, тӀаьхьаваьлла цхьа вацахь а.</verse>
				<verse number="18">Оцу массо а гӀуллакхел тӀаьхьа аш Соьга ла ца догӀахь, шун къиношна Ас ворхӀазза сов таӀзар дийр ду шуна.</verse>
				<verse number="19">Шун чӀагӀъелла куралла йохор ю Ас, стигало догӀанан тӀадам а лур бац шуна, латта, тӀулг санна, чӀагӀлур ду шун.</verse>
				<verse number="20">Эрна хир ду аша къахьегар, лаьтто ялта лур дац шуна, дитташа стоьмаш а лур бац.</verse>
				<verse number="21">Цул тӀаьхьа а шу, Суна дуьхьал а девлла, Соьга ладугӀуш ца хилахь, Айса ден долу таӀзар ворхӀазза совдоккхур ду Ас аш къинош леторна.</verse>
				<verse number="22">Шуна тӀе арара акхарой хоьцур ю Ас. Цара шун бераш а дойур ду, шун даьхни а хӀаллакдийр ду. Шуна юкъара дукха нах цара байарна, шун некъаш дассалур ду.</verse>
				<verse number="23">Цул тӀаьхьа а шу, нис а ца луш, Суна дуьхьалдовлахь,</verse>
				<verse number="24">Со а вер ву шуна дуьхьал. Ас ворхӀазза сов таӀзар дийр ду шуна аш къинош леторна.</verse>
				<verse number="25">Бекхам беш долу тур доккхур ду Ас шуна дуьхьал, аш Соьца бина барт бохорна. Нагахь шу шайн гӀаланаш чохь шаьш лардайта гуллахь, Ас шуна тӀе ун хоьцур ду, тӀаккха мостагӀийн карагӀур ду шу.</verse>
				<verse number="26">Дисина напха дӀадоккхур ду Ас шуьгара. Итт зуда хир ю шун бепиг цхьана пешахь доттуш. Оза а узуш, лур ду шуна иза. Аша и бепиг дуур ду, амма шу меца дуьсур ду.</verse>
				<verse number="27">Нагахь цул тӀаьхьа а, Соьга ла а ца дугӀуш, шу Суна дуьхьалдовлахь,</verse>
				<verse number="28">Ас, оьгӀазаллица шуна дуьхьал а ваьлла, ворхӀазза сов таӀзар дийр ду шуна аша къинош леторна.</verse>
				<verse number="29">Шайн кӀентийн а, мехкарийн а дилха дуур ду аша.</verse>
				<verse number="30">ЦӀушна сагӀа доккху шун баьрзнаш дохор ду Ас, малхана лерина хӀиттийна бӀогӀамаш хедор ду, ткъа шун декъий бохийначу шун цӀушна тӀе кхуьссур ду. Шу дегаза хетар ду Суна.</verse>
				<verse number="31">Шун гӀаланех саьлнаш йийр ю Ас, аш цӀушна Ӏибадат деш долу цӀенош а дассор ду, аш деанчу сагӀанех хьожа а йоккхур яц.</verse>
				<verse number="32">Шун латта дассор ду Ас, цу тӀехь баха охьахевшина шун мостагӀий цецбовллал чӀогӀа.</verse>
				<verse number="33">Шу къаьмнашна юкъахь дӀасадаржор ду Ас, шуна тӀаьхьа тур а даьккхина. Шун латта даьсса хир ду, шун гӀаланаш а йохийна Ӏохкуш хир ю.</verse>
				<verse number="34">ТӀаккха ерриг а ша дассийна Ӏиллинчу ханна лаьтто токхуьйтур ду шена дина зен, садаӀаран шераш ца даздаран бахьана долуш. Шу шайн мостагӀийн махкахь долчу хенахь лаьтто садоӀур ду.</verse>
				<verse number="35">ДӀатесна Ӏуьллучу ерриг а хенахь лаьтто садоӀур ду, шу цунна тӀехь Ӏаш долуш, шена садаӀа дӀа ца еллачу ханна.</verse>
				<verse number="36">Шух дийна бисначеран дегнашка кхерам тосур бу Ас, уьш мостагӀийн мехкашкахь Ӏачу хенахь. Дегочу гӀанан гӀовгӀанах а бовдур бу уьш. Туьрах санна, бовдур бу уьш, охьа а оьгур бу, цхьа а тӀаьхьа ца ваьллашшехь.</verse>
				<verse number="37">Вовшах тийса а луш, галдевр ду шу туьрах девдча санна, шайна тӀаьхьаваьлла цхьа а воццушехь. Шайн мостагӀашна дуьхьало ян ницкъ кхочур бац шун.</verse>
				<verse number="38">Кхечу къаьмнашна юкъахь Ӏаш а долуш, дӀакхелхар ду шу, шайн мостагӀийн лаьтто дӀа а кхаьллина.</verse>
				<verse number="39">Шух дийна биснарш, шайн а, шайн дайн а харцонаш бахьана долуш, шайн мостагӀийн мехкашкахь маргӀалбулур бу.</verse>
				<verse number="40">ТӀаккха шайн а, шайн дайн а харцонашна уьш къера хилахь (цара Суна дуьхьал зуламаш дарна а, уьш Суна дуьхьал бовларна а,</verse>
				<verse number="41">Со а ваьлла царна дуьхьал, церан мостагӀийн махка уьш йийсаре а балийна), церан аьрха дегнаш къарделча а, шайн харцонех цара гӀуда текхча а,</verse>
				<verse number="42">Суна дагабогӀур бу Якъубаца а, Исхьакхаца а, ИбрахӀимца а бина барт а, дагадогӀур ду латта а.</verse>
				<verse number="43">Исраилхойх дисна долу латта, царах дасса а делла, зовкх хьоьгуш хир ду ша садоӀучу шерашкахь. Шайн харцонашна цара декхар токхуш хир ду, Ас тӀедиллинарг кхочуш ца дарна, Сан парзаш тӀе ца эцарна.</verse>
				<verse number="44">Ткъа иза иштта делахь а, уьш шайн мостагӀийн лаьтта тӀехь Ӏачу хенахь а, Со царах дӀавоьрзур вац, уьш хӀаллакбархьама дӀа а тосур бац, Сайн цаьрца болу барт ца бохорхьама, хӀунда аьлча Со церан Веза Дела ву.</verse>
				<verse number="45">Айса церан дайшца бина барт дагабоуьйтур бу Аса исраилхойн дуьхьа. Дерриг а халкъашна хьалха церан дай Мисар-махкара арабехира Ас церан Дела хилархьама. Со Веза Эла ву».</verse>
				<verse number="46">ХӀорш ду Везачу Эло Синай-лам тӀехь Мусагахула Исраилан халкъана делла парзаш а, тӀедехкинарш а, хьехамаш а.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="27">
				<verse number="1">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="2">«ДӀаала исраилхошка: „Нагахь ахь, стагах мах а луш, Везачу Элана и стаг лерина хилийта нигат дахь,</verse>
				<verse number="3">бала беза мах ткъа шарна тӀера кхузткъа шарна тӀекхаччалц волчу стагах шовзткъе итт шекхал дато ахча хир бу, Езачу Меттигехь лелаш болчу шекхалан бараме хьаьжжина.</verse>
				<verse number="4">Нагахь иза зуда елахь, ахь хӀоттийна мах ткъе итт шекхал хир бу.</verse>
				<verse number="5">Пхеа шарна тӀера ткъа шарна тӀекхаччалц волчу стеган мах ткъа шекхал, зудчун мах итт шекхал хир бу.</verse>
				<verse number="6">Цхьана батта тӀера пхеа шарна тӀекхаччалц волчу кӀентан мах пхи шекхал дети, йоӀан мах кхо шекхал дети хир бу.</verse>
				<verse number="7">Кхузткъа а, кхин сов а шераш долчу стеган мах пхийтта шекхал, зудчун мах итт шекхал хир бу.</verse>
				<verse number="8">Нагахь стаг къен а хилла, ахь хӀоттийна мах бала цуьнан таро яцахь, динан дена тӀевига иза. Нигат динчу стеган хьоле хьаьжжина, динан дас мах хадор бу цуьнан.</verse>
				<verse number="9">Нагахь Везачу Элана нигат динарг Цунна сагӀа даккха могуьйту даьхни делахь, цу даьхних дерриг а Везачу Элана деанарг деза а хир ду, Цунна дӀакъастийна а хир ду.</verse>
				<verse number="10">Кхечу хӀуманца иза хийца мегар дац. СагӀина деана диканиг вочух я вониг дикачух а хийца мегар дац. Нагахь цхьа дийнат кхечуьнца хийцахь, и ший а деза хир ду, Везачу Элана дӀакъастийна а хир ду.</verse>
				<verse number="11">Нагахь далийна бежана Далла хьалха цӀена а доцуш, Везачу Элана сагӀина ден мегаш дацахь, даладе иза динан дена тӀе.</verse>
				<verse number="12">Динан дас, бежана дика я вон ду а хьаьжна, цуьнан мах хадор бу. Цо хадийна мах бита беза.</verse>
				<verse number="13">Нагахь цхьаъ иза юхаэца гӀерташ велахь, хӀоттийначу механа тӀе пхоьалгӀа дакъа тӀетохийта цуьнга.</verse>
				<verse number="14">Нагахь цхьаъ шен цӀа Везачу Элана лерина хилийта лууш велахь, динан дас, иза дика ду я ледара ду аьлла, мах хадо беза. Динан дас хадийнарг хир бу цӀийнан мах.</verse>
				<verse number="15">Нагахь цу стагана шен цӀа юхаэца лаахь, хӀоттийначу механа тӀе пхоьалгӀа дакъа тӀетоха деза цо, тӀаккха цӀа цуьнан хир ду.</verse>
				<verse number="16">Нагахь цхьаммо шен лаьттан цхьа дакъа Везачу Элана лерина хилийтахь, дӀаден тарлучу ялте хьаьжжина хила беза цу декъан мах: шена тӀехь пхи гали мукх дӀабен тарлучу лаьттан мах шовзткъе итт шекхал дети хир бу.</verse>
				<verse number="17">МеттахӀотторан шарахь цхьаммо шен латта Везачу Элана лерина хилийтахь, цуьнан мах ахь хӀоттийнарг хир бу.</verse>
				<verse number="18">Нагахь меттахӀотторан шо чекхдаьлча, шен латта цхьаммо Везачу Элана лерина хилийтахь, тӀедогӀучу меттахӀотторан шарна тӀекхаччалц долу шераш дагар а дина, церан бараме хьаьжжина, лахара мах хӀотто беза динан дас.</verse>
				<verse number="19">Ша дӀаделла кха стагана юхаэца лаахь, хӀоттийначу механа тӀе пхоьалгӀа дакъа тӀетоха деза цо, тӀаккха латта цунна дуьсур ду.</verse>
				<verse number="20">Нагахь цо дӀа а ца эцна, кхечу стага и кха эцахь, иза юхаэца йиш хир яц.</verse>
				<verse number="21">МеттахӀотторан шарахь и кха дӀахецча, иза Далла дӀакъастийна хир ду. И кха гуттаренна а Везачу Элана дӀа ца боьрзу бахам хир бу. Динан дайн дола дер ду иза.</verse>
				<verse number="22">Цхьаммо ша эцна латта Везачу Элана лерина дӀаделлехь, ткъа иза цуьнан доьзалан латтанийн дакъа дацахь,</verse>
				<verse number="23">динан дас, МеттахӀотторан шарна тӀекхаччалц долу шераш а дагардина, цу лаьттан мах хадо беза. Оццу дийнахь лаьттан мах дӀабала безаш бу цу стага — и ахча Везачу Элана дӀакъастийна хир ду.</verse>
				<verse number="24">МеттахӀотторан шарахь хьалха хиллачу хӀусамден — латта доьхкинчу стеган — дола юхадоьрзу и латта.</verse>
				<verse number="25">Езачу Меттигехь лелаш долчу шекхале хьаьжжина берриг а мехаш хила беза. Цхьана шекхал чохь ткъа гер хила еза.</verse>
				<verse number="26">Дийнатех схьадаьлла дуьххьарлера даьхни цхьаммо а Везачу Элана лерина дало мегар дац, хӀунда аьлча уьш Цуьнан ду, дуьххьарлера долу дела. Сту белахь а, уьстагӀ белахь а, бож елахь а — Везачу Элан ду иза.</verse>
				<verse number="27">Даьхни хьарам делахь, ахь хӀоттийначу мехаца юхаэца тарло иза, механ пхоьалгӀа дакъа тӀе а тухуш. Нагахь юха ца эцахь, ахь хӀоттийначу мехах дӀадохка мегар ду иза.</verse>
				<verse number="28">Шен долахь долчух стага, гуттаренна а, Везачу Элан дӀа ца боьрзу бахам санна, лерина мел хилийтинарг — я адам, я даьхни, я кха — духкуш а, юхаоьцуш а хила мегар дац. Везачу Элана дӀа ца боьрзу бахам мел хилийтинарг Цунна бен дӀакъастийна дац.</verse>
				<verse number="29">Везачу Элана дӀа ца боьрзу бахам санна мел хилийтина адамаш а юхаэца мегар дац — уьш дайа дезаш ду.</verse>
				<verse number="30">Лаьттах схьадаьллачу ялтин а, дитташ тӀехь кхиъначу стоьмийн а уьтталгӀа дакъа Везачу Элан ду. Иза Везачу Элан долахь бен дац.</verse>
				<verse number="31">УьтталгӀа дакъа юхаэца лууш волчо цуьнан механ пхоьалгӀа дакъа тӀетоха деза.</verse>
				<verse number="32">Доккхачу а, кегийчу а даьхних дерриге а уьтталгӀа дакъа Везачу Элан долахь ду. Ӏуьнан коьжалгана кӀел лелачу даьхних хӀора уьтталгӀаниг Везачу Элана дӀакъастийна хила деза.</verse>
				<verse number="33">Вон я дика ду хьоьжуш, къесто мегар дац луш дерг, хийца а мегар дац иза. Нагахь цхьаммо иза хийцахь, хуьйцуш долу ший а дийнат Везачу Элана дӀакъастийна хир ду, тӀаккха иза юхаэца йиш яц“».</verse>
				<verse number="34">ХӀорш ду Везачу Эло Синай-лам тӀехь Мусагахула исраилхошна тӀедехкина весеташ.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="4">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">Мисар-махкара исраилхой арабевллачул тӀаьхьа шолгӀачу шеран, шолгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь Синай олучу яьссачу аренгахь, гуламан четар чохь, Веза Эла Мусага вистхилира. Цо элира:</verse>
				<verse number="2">«Дерриг а Исраилан халкъан, дагар а деш, хьесап де, церан тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина. ХӀорра а боьршачу стеган цӀе дӀаязъе.</verse>
				<verse number="3">Ахьа а, АхӀарона а ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу нах, шайн тӀеман тобанашца багар а бай, Исраилан халкъан эскарехь гӀуллакх дан мегаш болчеран хьесап де.</verse>
				<verse number="4">Шайн доьзалехь баьчча волу хӀора тайпан юкъара цхьацца стаг хила веза шуьца.</verse>
				<verse number="5">Шуьца хинболчу нехан цӀераш хӀорш ю: Раабанан тӀаьхьенах — Шидауран кӀант Элицур;</verse>
				<verse number="6">ШимӀин тӀаьхьенах — Цура-Шидин кӀант Шелумиал;</verse>
				<verse number="7">ЯхӀудан тӀаьхьенах — Ӏамминадабан кӀант Нахьшон;</verse>
				<verse number="8">Исраилан тӀаьхьенах — ЦуӀаран кӀант Натунаил;</verse>
				<verse number="9">Забулан тӀаьхьенах — Хьелонан кӀант Элиаб;</verse>
				<verse number="10">Юсупан кӀентех: Эпрайман тайпанах волу ӀамихӀудан кӀант Эли-ШамаӀ а, Маннашан тӀаьхьенах волу Падацуран кӀант Гамлиал а;</verse>
				<verse number="11">Бен-Яманан тӀаьхьенах — ГидӀонин кӀант Авдани;</verse>
				<verse number="12">Данан тӀаьхьенах — Ӏами-Шидин кӀант АхьиӀазар;</verse>
				<verse number="13">Ашаран тӀаьхьенах — Ӏухранан кӀант ПагӀиал;</verse>
				<verse number="14">Гадин тӀаьхьенах — ДаӀуалан кӀант Элъясайп;</verse>
				<verse number="15">Напталан тӀаьхьенах — Ӏайнанан кӀант АхьираӀ».</verse>
				<verse number="16">Уьш бу халкъана юкъара схьакхайкхина болу, шайн дайн тукхамашкахь тхьамданаш болу, исраилхойн тайпанийн коьртехь болу нах.</verse>
				<verse number="17">ЦӀераш яьхна и нах шайца дӀабигира Мусас а, АхӀарона а.</verse>
				<verse number="18">ШолгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь дерриге а халкъ дӀагулдира цара. ТӀаккха халкъо цаьрга дӀадовзийтира шайн схьадовлар, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина. ХӀора а ткъа шо а, цул лакхара а хан йолчун цӀе дӀаязйора,</verse>
				<verse number="19">Везачу Эло Мусана тӀедиллина ма-хиллара. Иштта халкъан хьесап дира Мусас Синай олучу яьссачу арахь.</verse>
				<verse number="20">Исраилан дуьххьарлера доьзалхо волчу Раабанан тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг.</verse>
				<verse number="21">Раабанан тайпанах багарбинарш шовзткъе ялх эзар пхи бӀе стаг вара (46500).</verse>
				<verse number="22">ШимӀин тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг.</verse>
				<verse number="23">ШимӀин тайпанах хьесап динарг шовзткъе ткъайоьсна эзар кхо бӀе стаг вара (59300).</verse>
				<verse number="24">Гадин тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг.</verse>
				<verse number="25">Гадин тайпанах вагарвинарг шовзткъе пхи эзар ялх бӀе шовзткъе итт стаг вара (45650).</verse>
				<verse number="26">ЯхӀудан тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг.</verse>
				<verse number="27">ЯхӀудан тайпанах вагарвинарг кхузткъе вейтта эзар ялх бӀе стаг вара (74600).</verse>
				<verse number="28">Иссарханан тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан а цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг.</verse>
				<verse number="29">Иссарханан тайпанах хьесап винарг шовзткъе вейтта эзар виъ бӀе стаг вара (54400).</verse>
				<verse number="30">Забулан тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг.</verse>
				<verse number="31">Забулан тайпанах хьесап винарг шовзткъе вуьрхӀитта эзар виъ бӀе стаг вара (57400).</verse>
				<verse number="32">Юсупан кӀант волчу Эпрайман тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг.</verse>
				<verse number="33">Эпрайман тайпанах хьесап винарг шовзткъа эзар пхи бӀе стаг вара (40500).</verse>
				<verse number="34">Маннашан тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг.</verse>
				<verse number="35">Маннашан тайпанах хьесап винарг ткъе шийтта эзар ши бӀе стаг вара (32200).</verse>
				<verse number="36">Бен-Яманан тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг.</verse>
				<verse number="37">Бен-Яманан тайпанах хьесап винарг ткъе пхийтта эзар виъ бӀе стаг вара (35400).</verse>
				<verse number="38">Данан тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг.</verse>
				<verse number="39">Данан тайпанах хьесап винарг кхузткъе ши эзар ворхӀ бӀе стаг вара (62700).</verse>
				<verse number="40">Ашаран тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг.</verse>
				<verse number="41">Ашаран тайпанах хьесап винарг шовзткъе цхьа эзар пхи бӀе стаг вара (41500).</verse>
				<verse number="42">Напталан тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг.</verse>
				<verse number="43">Напталан тайпанах хьесап винарг шовзткъе кхойтта эзар виъ бӀе стаг вара (53400).</verse>
				<verse number="44">Уьш бара Мусас а, АхӀарона а хьесап биначарна юкъабахана болу багарбинарш. Цара хьесап деш, цаьрца цхьаьна бара исраилхойн баьччанаш а. ХӀора тайпанара цхьацца волу шийтта стаг вара уьш.</verse>
				<verse number="45">Шайн доьзалшка хьаьжжина, ткъа шо а, цул лакхара а хан а йолуш, Исраилан эскарехь гӀуллакх дан мегаш болчу исраилхойн а динера хьесап.</verse>
				<verse number="46">Царах багарбинчарна юкъаваханарг вара ялх бӀе кхо эзар пхи бӀе шовзткъе итт стаг (603550).</verse>
				<verse number="47">Ткъа левихой ца богӀура шайн дайн тукхамашца багарбинчарна юкъа,</verse>
				<verse number="48">хӀунда аьлча Везачу Эло Мусага аьллера:</verse>
				<verse number="49">«Левин тайпанах берш багарбинчарна юкъа ма бахийта, церан исраилхошца цхьаьна хьесап а ма де.</verse>
				<verse number="50">Ткъа левихой къобалбе тоьшаллин четарна а, цуьнан пхьегӀашна а, цуьнца доьзна долчу дерриг хӀуманна а тӀехь куьйгалла дан. Цаьрга леладайта и Делан четар а, цунна оьшу гӀуллакх а дайта. Шаьш совца дезачу меттигехь цу четарна гонах шайн меттамотт дӀахӀоттабайта цаьрга.</verse>
				<verse number="51">Делан четар кхечу метте дахьа дезаш хилахь, иза левихошка хьалаайийта. Нагахь санна и четар охьадилла дезахь, иза левихошка охьа а диллийта. Амма цунна тӀе левихойх воцу цхьа стаг тӀегӀортахь, иза вуьйр ву.</verse>
				<verse number="52">Исраилан тӀаьхьенах волу хӀорра а стаг шен тайпанан меттамотт болчохь а, шен байракх хьалаайина йолчохь а, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина, саца веза.</verse>
				<verse number="53">Ткъа левихоша шаьш совца беза меттиг тоьшаллин четарна гонах билгалъяккха еза, исраилхошна тӀехь оьгӀазалла ца хилийтархьама. Левихой оцу четарна уллохь ха деш лаьттар бу».</verse>
				<verse number="54">И дерриг а кхочушдира исраилхоша. Везачу Эло Мусана тӀедиллина ма-хиллара, кхочушдира цара и дерриге а.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира:</verse>
				<verse number="2">«Исраилан халкъо шайн меттаметтанаш, къеста а деш, гуламан четарна гонах дӀахӀитто деза. ХӀора стага шен тайпанан байракх хьалаайинчохь, шен доьзалан билгало йолчохь, меттамотт дӀахӀотто беза.</verse>
				<verse number="3">Малхбалехьа, малх схьакхетачу агӀор, ЯхӀудан тайпанан меттаматтан байракх хьалаойур ю, ткъа оцу тайпанах болу нах, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина, цигахь дӀанислур бу. ЯхӀудан тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду Ӏамминадабан кӀанта Нахьшона.</verse>
				<verse number="4">Цуьнан эскарехь вагарвинарг кхузткъе вейтта эзар ялх бӀе тӀемало ву (74600).</verse>
				<verse number="5">ЯхӀудан тайпанна юххехь Иссарханан тайпано шен меттамотт дӀахӀоттор бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду ЦуӀаран кӀанта Натунаила.</verse>
				<verse number="6">Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе вейтта эзар виъ бӀе тӀемало ву (54400).</verse>
				<verse number="7">ЯхӀудан тайпанна юххехь Забулан тайпано а шен меттамотт дӀахӀоттор бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду Хьелонан кӀанта Элиаба.</verse>
				<verse number="8">Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе вуьрхӀитта эзар виъ бӀе тӀемало ву (57400).</verse>
				<verse number="9">ЯхӀудан меттаматтахь вагарвинарг верриге а цхьа бӀе везткъе ялх эзар виъ бӀе стаг ву, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина. Уьш исраилхой дӀабоьлхуш хьалхабевлла баха беза.</verse>
				<verse number="10">Къилбехьа йолчу агӀор Раабанан тайпанан меттаматтан байракх хьалаойур ю, ткъа оцу тайпанах болу нах, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина, цигахь дӀанислур бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду Шидауран кӀанта Элицура.</verse>
				<verse number="11">Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе ялх эзар пхи бӀе тӀемало ву (46500).</verse>
				<verse number="12">Раабанан тайпанна юххехь ШимӀин тайпано шен меттамотт дӀахӀоттор бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду Цура-Шидин кӀанта Шелумиала.</verse>
				<verse number="13">Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе ткъайоьсна эзар кхо бӀе тӀемало ву (59300).</verse>
				<verse number="14">Раабанан тайпанна юххехь Гадин тайпано а шен меттамотт дӀахӀоттор бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду РаӀалан кӀанта Элъясайпа.</verse>
				<verse number="15">Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе пхи эзар ялх бӀе шовзткъе итт тӀемало ву (45650).</verse>
				<verse number="16">Раабанан меттаматтахь вагарвинарг верриге а цхьа бӀе шовзткъе цхьайтта эзар виъ бӀе шовзткъе итт стаг ву, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина. Уьш, исраилхой дӀабоьлхуш, шолгӀачу меттехь хир бу.</verse>
				<verse number="17">Цул тӀаьхьа гуламан четар а, иза дӀахьош долу левихойн тайпа а дӀагӀур ду, дуьххьарлерчу шина меттаматтана а, тӀаьххьарчу шина меттаматтана а юккъехь. Шайн меттаметтанаш дӀанисдина кеп ма-хиллара, дӀагӀур бу уьш. ХӀора стаг шен-шен меттехь, шен байракх хьалаайинчохь, хир ву.</verse>
				<verse number="18">Малхбузехьа йолчу агӀор Эпрайман тайпанан меттаматтан байракх хьалаойур ю, ткъа оцу тайпанах болу нах, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина, цигахь дӀанислур бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду ӀамихӀудан кӀанта Эли-ШамаӀа.</verse>
				<verse number="19">Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъа эзар пхи бӀе шовзткъе итт тӀемало ву (40500).</verse>
				<verse number="20">Эпрайман тайпанна юххехь Маннашан тайпано шен меттамотт дӀахӀоттор бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду Падацуран кӀанта Гамлиала.</verse>
				<verse number="21">Цуьнан эскарехь вагарвинарг ткъе шийтта эзар ши бӀе тӀемало ву (32200).</verse>
				<verse number="22">Эпрайман тайпанна юххехь Бен-Яманан тайпано а шен меттамотт дӀахӀоттор бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду ГидӀонин кӀанта Авданис.</verse>
				<verse number="23">Цуьнан эскарехь вагарвинарг ткъе пхийтта эзар виъ бӀе тӀемало ву (35400).</verse>
				<verse number="24">Эпрайман меттаматтахь вагарвинарг верриге а цхьа бӀе бархӀ эзар цхьа бӀе тӀемало ву, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина. Уьш дӀабоьлхуш кхоалгӀачу меттехь хир бу.</verse>
				<verse number="25">Къилбаседехьа йолчу агӀор Данан тайпанан меттаматтан байракх хьалаойур ю, ткъа оцу тайпанах болу нах, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина, цигахь дӀанислур бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду Ӏами-Шидин кӀанта АхьиӀазара.</verse>
				<verse number="26">Цуьнан эскарехь вагарвинарг кхузткъе ши эзар ворхӀ бӀе тӀемало ву (62700).</verse>
				<verse number="27">Данан тайпанна юххехь Ашаран тайпано шен меттамотт дӀахӀоттор бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду Ӏухранан кӀанта ПагӀиала.</verse>
				<verse number="28">Цуьнан эскарехь варгарвинарг шовзткъе цхьа эзар пхи бӀе тӀемало ву (41500).</verse>
				<verse number="29">Данан тайпанна юххехь Напталан тайпано а шен меттамотт дӀахӀоттор бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду Ӏайнанан кӀанта АхьираӀа.</verse>
				<verse number="30">Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе кхойтта эзар виъ бӀе тӀемало ву (53400).</verse>
				<verse number="31">Данан меттаматтахь вагарвинарг верриге а цхьа бӀе шовзткъе вуьрхӀитта эзар ялх бӀе тӀемало ву. Уьш, исраилхой дӀабоьлхуш, шайн байракхашка хьаьжжина, тӀаьххьарчу меттехь хир бу».</verse>
				<verse number="32">Иштта, шайн доьзалшка хьаьжжина, багарбинера исраилхой. Меттаметтанашкахь болчу нехан, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина, хьесап дича, уьш верриге а ялх бӀе кхо эзар пхи бӀе шовзткъе итт тӀемало вара (603550).</verse>
				<verse number="33">Везачу Эло Мусана тӀедиллина ма-хиллара, Исраилан тӀаьхьенах болчу нехан хьесап деш, левихой багар ца бира.</verse>
				<verse number="34">Иштта Везачу Эло Мусана тӀедиллинарг дерриге а кхочушдира исраилхоша. Цу тайпана, шайн байракхаш хьалаайинчохь, шайн меттаметтанашкахь дӀахӀуьттура уьш, ткъа иштта, хӀорра а шайн тайпанашца а, доьзалшца а дӀабоьлхура уьш.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">ХӀара ду АхӀаронан а, Мусан а тӀаьхьенах хилларг, Синай цӀе йолчу лам тӀехь Веза Эла Мусага вистхиллачу хенахь.</verse>
				<verse number="2">АхӀаронан кӀентийн цӀераш хӀорш ю: дуьххьарлера доьзалхо вара Надаб, цул тӀаьхьа бина кӀентий бара АбихӀу, ЭлиӀазар, Итамар.</verse>
				<verse number="3">Уьш яра динан дай хиллачу Далла гӀуллакх дан леррина къобалбинчу АхӀаронан кӀентийн цӀераш.</verse>
				<verse number="4">Надаб а, АбихӀу а Везачу Элана хьалха велира, цара Синай цӀе йолчу яьссачу арахь лато магийна йоцу цӀе Цунна хьалха еача. Ткъа цу шиннан бераш хилла а дацара. Шайн да АхӀарон дийна мел волчу хенахь, ЭлиӀазара а, Итамара а Далла, динан дайша санна, гӀуллакх дора.</verse>
				<verse number="5">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="6">«Левин тайпанах берш, схьа а гулбай, АхӀаронна хьалха дӀахӀиттабе, цаьрга цунна гӀуллакх дайтархьама.</verse>
				<verse number="7">АхӀаронан а, дерриге а халкъан а дуьхьа гуламан четарна хьалха ха дайта цаьрга, иштта четарца боьзна болу болх байта цаьрга.</verse>
				<verse number="8">Массо а исраилхойн дуьхьа гуламан четаран ерриге пхьегӀаш а ларъяйта цаьрга, иштта четарца боьзна болу болх а байта цаьрга.</verse>
				<verse number="9">АхӀаронан а, цуьнан кӀентийн а кара дӀало и левихой. Исраилан тӀаьхьенах уьш леррина АхӀаронан кара дӀабелларш бу.</verse>
				<verse number="10">АхӀарон а, цуьнан кӀентий а къобалбе, шайн динан дайн даржехь лело дезаш долу гӀуллакх цаьрга лардайтархьама. И гӀуллакх дан левихойх воцу цхьаъ гӀортахь, иза вуьйр ву».</verse>
				<verse number="11">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="12">«ЛадогӀа! Ас-Айса левихой хаьржина исраилхошна юкъара хьалха дуьнен чу бевллачу берриге а исраилхойн кӀентийн метта. Иштта, левихой Сан долахь хир бу,</verse>
				<verse number="13">хӀунда аьлча доьзалшкахь хьалха дуьнен чу бевлла кӀентий берриге а Сан долахь бу. Айса мисархойн хьалха дуьнен чу бевлла кӀентий берриге а байинчу дийнахь, исраилхойн доьзалшкахь хьалха дуьнен чу бевлла массо а кӀентий а, иштта хьалха хилла массо а дийнаташ а Сайн битина Аса. Уьш Сан хила деза. Со Веза Эла ву».</verse>
				<verse number="14">Синай цӀе йолчу яьссачу арахь Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="15">«Левин тӀаьхье шайн доьзалшца а, шайн тукхамашца а ягаръе. Цхьа бутт а, цул лакхара а хан йолу хӀора кӀант вагарве».</verse>
				<verse number="16">Везачу Эло аьлла ма-хиллара, Цо тӀедиллинарг кхочуш а деш, уьш багарбира Мусас.</verse>
				<verse number="17">Левин кӀентийн цӀераш яра: ГӀиршан, КхахӀат, Мерари.</verse>
				<verse number="18">ГӀиршанан тӀаьхьенан цӀераш церан тукхамашца яра: Ливани, ШамаӀи.</verse>
				<verse number="19">КхахӀатан тӀаьхьенах болчеран цӀераш церан тукхамашца яра: Ӏамрам, Ицхьар, Хьеврон, Ӏузиал.</verse>
				<verse number="20">Мерарин тӀаьхьенан цӀераш церан тукхамашца яра: Махьли а, Мушхьи а. Уьш Левин тӀаьхьенан тукхамаш ду, церан доьзалшка хьаьжжина.</verse>
				<verse number="21">ГӀиршанах даьллера Ливанин а, ШамаӀин а тукхамаш. Уьш ГӀиршанах девлла тукхамаш дара.</verse>
				<verse number="22">Цхьа бутт а, цул лакхара а хан йолу верриге а боьрша стаг вагарвича, уьш ворхӀ эзар пхи бӀе боьрша стаг вара (7500).</verse>
				<verse number="23">ГӀиршанан тӀаьхьенийн тукхамаша шайн меттамотт Делан четарна тӀехьа, малхбузехьа агӀор, дӀахӀотто безара.</verse>
				<verse number="24">ГӀиршанан доьзалийн баьчча вара Лаалан кӀант Элъясайп.</verse>
				<verse number="25">ГӀиршанан тӀаьхьенах болчарна тӀедиллинера гуламан четаран иштта хӀуманаш Ӏалашъян: чухуларчу четаран а, тӀехуларчу четаран а, четарна тӀехула лаьцначу кхалоран а, четарна чуволучу меттехь йолчу шаршун а,</verse>
				<verse number="26">четарна а, кхерчана а гонах йолу керт нисъеш йолчу шаршуйн а, кертан кевнехь йолчу шаршун а, цаьрца доьзна долчу машшийн а. Цул сов, царна тӀедиллинера оцу хӀуманашца боьзна болу белхаш бар.</verse>
				<verse number="27">КхахӀатах схьадаьллера Ӏамраман а, Ицхьаран а, Хьевронан а, Ӏузиалан а тукхамаш. Уьш КхахӀатан тукхамаш дара.</verse>
				<verse number="28">Цхьа бутт а, цул лакхара а хан йолу верриге а боьрша стаг вагарвича, уьш бархӀ эзар ялх бӀе стаг вара (8600). КхахӀатан тукхамна тӀедиллинера еза хӀуманаш ларъян.</verse>
				<verse number="29">КхахӀатан тӀаьхьенийн тукхамаша шайн меттамотт Делан четарна къилбехьа агӀор дӀахӀотто безара.</verse>
				<verse number="30">КхахӀатан доьзалийн баьчча вара Ӏузиалан кӀант Эли-Цапан.</verse>
				<verse number="31">Цара дола дан дезачунна юкъайогӀура хӀара хӀуманаш: Делан тӀорказ а, стол а, стогар а, кхерчаш а, четарна чохь гӀуллакх дан леррина язйина пхьегӀаш а, четаран уггар езачу чоьнна хьалха оьллина кирхьа а, иштта цаьрца боьзна болу белхаш бар а.</verse>
				<verse number="32">Левихойн баьччанашна тӀехь волу баьчча вара динан да волчу АхӀаронан кӀант ЭлиӀазар. Еза хӀуманаш Ӏалашъеш болчарна тӀехь куьйгалла дан къобалвинера иза.</verse>
				<verse number="33">Мерарих схьадаьллера Махьлин а, Мушхьин а тукхамаш. Уьш Мерарин тукхамаш дара.</verse>
				<verse number="34">Цхьа бутт а, цул лакхара а хан йолу верриге а боьрша стаг вагарвича, уьш ялх эзар ши бӀе стаг вара (6200).</verse>
				<verse number="35">Мерарин доьзалийн баьчча вара Абу-Хьаилан кӀант Цуриал. Цара шайн меттамотт Делан четарна къилбаседехьа агӀор дӀахӀотто безара.</verse>
				<verse number="36">Мерарин тӀаьхьенна дола де аьлларш хӀара хӀуманаш яра: четаран гураш а, цуьнан хьокхий а, бӀогӀамаш а, цуьнан баххаш а, берриг цуьнан гӀирс а. Царна тӀедиллинера оцу хӀуманашца боьзна болу белхаш бар.</verse>
				<verse number="37">Иштта цара дола дан дезара: гонахарчу кертан бӀогӀамийн а, церан баххийн а, машшаш чӀагӀдеш тухуш долчу дечиган хьостамийн а, машшийн а.</verse>
				<verse number="38">Мусас а, АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а шайн меттамотт Делан четаран малхбалехьа агӀор, гуламан четарна хьалхахь дӀахӀотто безара. Царна тӀедиллинера Делан четар лардар — иза дерриге а исраилхойн дуьхьа деш долу гӀуллакх дара. Ткъа нагахь царна юкъара воцу цхьаъ цунна улло гӀоьртича, иза вен дезара.</verse>
				<verse number="39">Везачу Эло тӀедилларца Мусас а, АхӀарона а вагарвина волу цхьа бутт а, цул лакхара а хан йолу верриге а боьрша левихо, церан тукхамашка хьаьжжина, ткъе ши эзар вара (22000).</verse>
				<verse number="40">Везачу Эло Мусага элира: «Исраилан тӀаьхьенах дуьнен чу хьалха бевллачу боьршачу нахах цхьа бутт а, цул лакхара а хан ерш багарбе, церан хӀораннан цӀе дӀа а язъеш.</verse>
				<verse number="41">Хьалха дуьнен чу бевллачу боьршачу исраилхойн метта левихой, дӀа а къастабай, Суна лерина хилийта. Со Веза Эла ву! Ткъа исраилхойн хьалха дуьнен чу даьллачу бежанийн метта левихойн бежанаш а Суна лерина хилийта».</verse>
				<verse number="42">Везачу Эло шена тӀедиллина ма-хиллара, исраилхойн хьалха дуьнен чу бевлла берриге а кӀентий багарбира Мусас.</verse>
				<verse number="43">Уьш верриге а шайн цӀерашца дӀаязбина болчу боьршачу нахах цхьа бутт а, цул лакхара а хан йолу ткъе ши эзар ши бӀе кхузткъе кхойтта стаг вара (22273).</verse>
				<verse number="44">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="45">«Исраилхойн хьалха дуьнен чу бевллачу кӀентийн метта левихой схьаэца, иштта левихойн бежанийн метта церан бежанаш схьаэца, левихой Сан долахь хилийтархьама. Со Веза Эла ву.</verse>
				<verse number="46">Левихойн барамал сов волчу исраилхойн хьалха дуьнен чу ваьллачу ши бӀе кхузткъе кхойтта кӀантана тӀера мах схьаэца.</verse>
				<verse number="47">Цхьана стагана тӀера пхи шекхал схьаэца, дезачу шекхале хьаьжжина (цхьана дезачу шекхалан барам чу ткъа гер догӀу).</verse>
				<verse number="48">И ахча АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а левихойл совбевллачу исраилхошна тӀера дӀало».</verse>
				<verse number="49">Мусас схьаийцира оцу совбевллачу исраилхойн метта дӀалуш долу ахча.</verse>
				<verse number="50">И ахча схьаэцнера исраилхойн хьалха дуьнен чу бевллачу боьршачу нахана тӀера. Цхьа эзар кхо бӀе кхузткъе пхиъ шекхал дети ахча, дезачу шекхалан бараме хьаьжжина, схьаийцира царна тӀера.</verse>
				<verse number="51">Левихойл совбевллачу исраилхошна тӀера, мах а белла, схьаэцна и ахча, Везачу Эло шена тӀедиллина ма-хиллара, АхӀароне дӀаделира Мусас.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира:</verse>
				<verse number="2">«Левин тӀаьхьенах долчу КхахӀатан гаранах болу берриге а боьрша нах багар а бай, хьесап де, церан тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина.</verse>
				<verse number="3">Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четар чохь гӀуллакх дан магийтина болу берриге а нах багарбе.</verse>
				<verse number="4">КхахӀатан тӀаьхьенах болчу нахана гуламан четар чохь бан тӀебехкина болу белхаш уггар езачу хӀуманашца боьзна бу.</verse>
				<verse number="5">Меттамотт болчуьра исраилхой новкъа бовлуш, АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а, Делан четар чу а бовлийтий, тоьшаллин тӀорказна дуьхьал оьллина кирхьа схьаэцийта. Иза тӀорказна тӀетасийта.</verse>
				<verse number="6">Цул тӀаьхьа цу тӀорказна тӀе хӀордан дийнатийн кӀеда тӀаьрсиган тӀетосург тасийта. Ткъа цунна тӀехула сийна бос болу тӀергӀан кӀади а тасий, тӀорказан хьокхий шен чӀагарех чекхдахийта.</verse>
				<verse number="7">Иштта даздина баьпкаш тӀехь долчу стоьла тӀе а тасийта сийна басахь йолу шаршу. Цу тӀе бошхепаш, еш, боганаш, чагӀаран сагӀанаш чудутту кедаш охьадахка. Гуттар а цигахь хила деза бепиг а латтаде цу тӀехь.</verse>
				<verse number="8">Оцу массо а хӀуманна тӀехула цӀен басахь долу кӀади тӀедиллийта. Ткъа цу тӀе хӀордан дийнатийн кӀедачу тӀаьрсиган тӀетосург тасийта. ТӀаккха хьокхий стоьлан чӀагарех чекхдахийта.</verse>
				<verse number="9">Цул тӀаьхьа сийна бос болу тӀергӀан кӀади тасийта серло луш болчу стогарна тӀе а, цуьнан къуьданашна а, тукаршна а, богуш берг дӀасабахьачу нойшна а, къуьданаш чу дутту даьтта чохь долчу кхабанашна а тӀе.</verse>
				<verse number="10">И ерриг хӀума а, хӀордан дийнатийн кӀедачу тӀаьрсиган шаршу тӀе а тасий, дӀасакхоьхьучу экханна тӀе яхкийтийта.</verse>
				<verse number="11">Дашочу кхерчана тӀе а тасийта сийна бос болу кӀади. Ткъа цу тӀе хӀордан дийнатийн кӀедачу тӀаьрсиган шаршу тӀе а тасий, кхерчан чӀагарех хьокхий чекхдахийта.</verse>
				<verse number="12">Делан четар чохь Ӏамал еш лело къастийна пхьегӀаш сийна бос болчу кӀадина юккъе дӀахьарчае, тӀаккха цунна тӀехула хӀордан дийнатийн кӀедачу тӀаьрсиган шаршу а йиллий, дӀасакхоьхьучу экханна тӀе яхкийта.</verse>
				<verse number="13">Чуьра юкъ дӀа а яккхий, сагӀа доккхучу кхерчана тӀе а сирла-цӀен бос болу кӀади тасийта.</verse>
				<verse number="14">Цул тӀаьхьа кхерчана уллохь Ӏамал еш лелош йолу ерриг хӀума а схьагулъяйта: богуш болу кӀора дӀасакхоьхьу нойш, мӀерий, белаш, боганаш. И ерриге а хӀуманаш кхерча тӀехь йолчу сирла-цӀен бос болчу кӀадина тӀе яхкийта. ТӀаккха оцу хӀуманашна тӀе хӀордан дийнатийн кӀедачу тӀаьрсиган шаршу а тасий, хьокхий кхерчан чӀагарех чекхдахийта.</verse>
				<verse number="15">АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а Делан четар чуьра езачу хӀуманашна тӀе кӀадеш тасар чекхдаьллачул тӀаьхьа, меттамотт дӀабоккхучу хенахь, кхахӀатхой тӀебахкийта уьш дӀаяхьа. Амма езачу хӀуманех уьш хьакха ма балийта, шаьш ца балийтархьама. Делан четар чуьра и хӀуманаш КхахӀатан тӀаьхьенах болчу наха яхьа еза.</verse>
				<verse number="16">Динан да волчу АхӀаронан кӀентан ЭлиӀазаран карахь ду къуьданаш чу дутту даьтта а, хаза хьожа йогӀу хӀума а, хӀора дийнахь дахьаш долу кӀен сагӀа а, къобалваран зайтдаьтта а. Цо дола дийр ду дерриге а Делан четаран а, цунна чохь мел йолчу езачу хӀуманан а, пхьегӀийн а».</verse>
				<verse number="17">Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира:</verse>
				<verse number="18">«Варелаш! Левихойн юкъара КхахӀатан тукхамийн гара дӀа ма даккхийталаш!</verse>
				<verse number="19">Уггар а езачу хӀуманашна тӀебоьлхучу хенахь, уьш дийна бисийтархьама, аша хӀара дан деза: АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а, Делан четар чу а баьхкина, хӀора кхахӀатхо шен гӀуллакх дечу метте дӀа а хӀоттош, цара дӀаяхьа еза хӀума гайта еза царна.</verse>
				<verse number="20">Амма кхахӀатхой, езачу хӀуманашка хьажархьама, ур-атталла бӀаьрганегӀар тухучу юкъана а, четар чу баха ца беза, шаьш ца балийтархьама».</verse>
				<verse number="21">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="22">«ГӀиршанан гаранах берш багар а бай, церан хьесап де, шайн доьзалшка а, тукхамашка а хьаьжжина.</verse>
				<verse number="23">Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четар чохь гӀуллакх дан магийна болу берриге а нах багарбе.</verse>
				<verse number="24">ГӀиршанан тӀаьхьенах болчу наха, шаьш гӀуллакх деш а, хӀуманаш дӀахьош а, хӀара дан деза:</verse>
				<verse number="25">гӀиршанхоша дахьа деза: чухулара четар а, гуламан четар а, цуьнан кхалор а, цунна тӀехула хӀордан дийнатийн кӀедачу тӀаьрсигах йина йолу кхалор а, четарна чуволучу меттехь йолу шаршу а,</verse>
				<verse number="26">четарна а, кхерчана а гонах йолу керт нисъеш йолу шаршуш а, кертан кевнехь йолу шаршу а, цаьрца доьзна долу машшаш а, оцу дерригенна а оьшуш болу гӀирс а. Оцу хӀуманашца доьзна дан дезаш мел долу гӀуллакх а кхочушдан деза цара.</verse>
				<verse number="27">АхӀаронан а, цуьнан кӀентийн а омрица кхочушдан деза ГӀиршанан тӀаьхьенах болчара шайна тӀедиллина муьлхха а гӀуллакх: хӀуманаш дӀахьош и делахь а, кхин болх шаьш беш белахь а. Цара дӀахьош мел йолчу хӀуманан дола дар тӀедилла царна.</verse>
				<verse number="28">Цу тайпана белхаш бан беза ГӀиршанан тӀаьхьенах болчу наха, шаьш Делан четарца доьзна долу гӀуллакх деш, шайна тӀехь куьйгалла деш динан ден АхӀаронан кӀант Итамар а волуш».</verse>
				<verse number="29">«Мерарин гаранах берш багарбе, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина.</verse>
				<verse number="30">Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четар чохь гӀуллакх дан магийна болу берриге а нах багарбе.</verse>
				<verse number="31">Гуламан четарца боьзна болчу церан белхашка хьаьжжина, цара дӀаяхьа езаш йолу хӀуманаш хӀорш ю: четаран гураш а, цуьнан хьокхий а, бӀогӀамаш а, цуьнан баххаш а,</verse>
				<verse number="32">гонахарчу кертан бӀогӀамаш а, иштта церан баххаш а, чӀагӀдеш тухуш долу дечиган хьостамаш а, машшаш а, берриг цуьнан гӀирс а, оцу хӀуманашца боьзна болу белхаш бар а. Цара дӀаяхьа езачу хӀора хӀуманан, цуьнан цӀе а йоккхуш, хьесап де.</verse>
				<verse number="33">Цу тайпана белхаш бан беза Мерарин тӀаьхьенах болчу наха, шаьш Делан четарца доьзна долу гӀуллакх деш, шайна тӀехь куьйгалла деш динан ден АхӀаронан кӀант Итамар а волуш».</verse>
				<verse number="34">Мусас а, АхӀарона а, Исраилан халкъан куьйгалхоша а КхахӀатан тӀаьхьенах болу нах багарбира церан тукхамашца а, доьзалшца а.</verse>
				<verse number="35">Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четарца доьзна гӀуллакх дан магийна болу берриге а нах,</verse>
				<verse number="36">шайн тукхамашка хьаьжжина багарбича, ши эзар ворхӀ бӀе шовзткъе итт стаг вара (2750).</verse>
				<verse number="37">Уьш бара КхахӀатан тӀаьхьенах болу гуламан четарна лерина гӀуллакх деш болу багарбина нах. Мусас а, АхӀарона а церан хьесап динера, Везачу Эло Мусагахула тӀедиллина ма-хиллара.</verse>
				<verse number="38">Иштта КхахӀатан тӀаьхьенах болу нах багарбира церан тукхамашца а, доьзалшца а.</verse>
				<verse number="39">Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четарца доьзна гӀуллакх дан магийтина болу берриге а нах,</verse>
				<verse number="40">шайн тукхамашка хьаьжжина багарбича, ши эзар ялх бӀе ткъе итт стаг вара (2630).</verse>
				<verse number="41">Уьш бара ГӀиршанан тӀаьхьенах болу гуламан четарца доьзна гӀуллакх деш болу багарбина нах. Мусас а, АхӀарона а церан хьесап динера, Везачу Эло Мусагахула тӀедиллина ма-хиллара.</verse>
				<verse number="42">Мерарин тӀаьхьенах болу нах а багарбира, церан тукхамашца а, доьзалшца а.</verse>
				<verse number="43">Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четарна гӀуллакх дан магийтина болу берриге а нах,</verse>
				<verse number="44">шайн тукхамашка хьаьжжина багарбича, кхо эзар ши бӀе стаг вара (3200).</verse>
				<verse number="45">Уьш бара Мерарин тӀаьхьенах болу багарбина нах. Мусас а, АхӀарона а церан хьесап динера, Везачу Эло Мусагахула тӀедиллина ма-хиллара.</verse>
				<verse number="46">Иштта Мусас а, АхӀарона а, Исраилан халкъан куьйгалхоша а вагарвинера Левин тӀаьхьенах волу хӀора стаг а, шайн тукхамашца а, доьзалшца а.</verse>
				<verse number="47">Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четарца доьзна гӀуллакх дан а, четар дӀадахьа а магийтина болу берриге а нах</verse>
				<verse number="48">багарбича, бархӀ эзар пхи бӀе везткъа стаг вара (8580).</verse>
				<verse number="49">Везачу Эло Мусагахула тӀедиллина ма-хиллара, уьш хӀора а шайн билгалдаьккхинчу гӀуллакхе дӀа а хӀиттийнера, цара шаьш новкъа довлуш яхьа езарг билгал а яьккхинера. Везачу Эло Мусага динчу омрица, исраилхой багар а бина, церан хьесап динера.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="2">«Исраилхошна тӀедилла чкъураца дӀа ца йоьрзу цамгар ерш а, дегӀах тӀуналла схьаяьлларш а, веллачух хьакхабаларна Далла гергахь бехбелларш а берриге а шайна юкъара дӀалахкар.</verse>
				<verse number="3">Иштта цӀена боцурш — божарий я зударий уьш белахь а — меттаматтана юьстах арабаха, Со шуна юкъахь Ӏаш волу шайн меттамотт цаьрга бех ца байтархьама».</verse>
				<verse number="4">Исраилан халкъо иштта дан а дира. Цу тайпана долу адамаш шайн меттаматтана юьстах арадехира исраилхоша, Везачу Эло Мусана тӀедиллина ма-хиллара.</verse>
				<verse number="5">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="6">«Иштта дӀаала исраилхошка: „Нагахь санна цхьана стага я зудчо, Везачу Элана хьалха тешаме а ца хуьлуш, адамаша латош долу къа латадахь, и стаг бехке хуьлу</verse>
				<verse number="7">Цундела оцу къинош летийначара шайгара даьлларг даре дан а деза, зулам хиллачунна богӀуш болу берриге а мах дӀабала а беза, цул сов пхоьалгӀа дакъа тӀе а тухуш.</verse>
				<verse number="8">Нагахь санна шена мах бала беза стаг веллехь, ткъа цуьнан цхьа а юххера гергара стаг а вацахь, и мах Везачу Элан долахь хуьлу. Иза динан дега дӀакховдо беза. Цул сов, зулам даьллачу стеган къинош дӀадаха лерина болу ка а бала беза цо.</verse>
				<verse number="9">Нагахь исраилхойх цхьаммо Далла дӀакъастийначух хӀума яхьахь, и сагӀа схьаоьцуш волчу динан ден бакъо ю иза шена йита. Иза цунна йогӀуш ю.</verse>
				<verse number="10">Иштта, Далла дӀакъастийнарг динан дена йогӀу. Цхьаммо совгӀатна хӀума яхьахь, иза а динан дена догӀу“».</verse>
				<verse number="11">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="12">«Исраилхошка, дӀахьедар а деш, иштта дӀаала: „Нагахь зуда, майрачунна ямартло а йина,</verse>
				<verse number="13">иза шен майрачух лачкъа а дина, кхечу стагаца лелаш хилар цхьаммо гучудаккхахь (нахаца лелаш йоллучохь иза схьа ца лецира, хӀунда аьлча оцунна теш ца хилла),</verse>
				<verse number="14">цуьнан майра эмгараллин сино карзахваккха тарло, цу зудчо ямартло ярна. Иштта, иза цхьана а стагаца ца леллехь а, цуьнан майра эмгараллин сино карзахваккха тарло.</verse>
				<verse number="15">Цу стага, шен зуда динан дена тӀе а ялийна, цунна тӀера бархӀ кад мекхан дама дан деза. Амма оцу демах я зайтдаьтта, я хаза хьожа йогӀу хӀума тоха ца еза. ХӀунда аьлча иза стага шен эмгараллина тӀера Везачу Элана лерина дахьаш долу кӀен сагӀа ду. Иза зулам дагалоцуш дахьаш долу сагӀа ду.</verse>
				<verse number="16">Ткъа динан дас и зуда, схьа а ялийна, Везачу Элана хьалха дӀахӀотто еза.</verse>
				<verse number="17">ТӀаккха оцу динан дас деза хи, схьа а эцна, кхийра кхаби чу дотта деза. Цул тӀаьхьа, Делан четар чуьра цӀенкъара латта а даьккхина, иза цу кхаби чу таса деза.</verse>
				<verse number="18">И хӀума динчул тӀаьхьа, динан дас и зуда Везачу Элана хьалха дӀахӀоттор ю. ТӀаккха цу зудчун месаш дӀа а хецна, дагалацаран сагӀа — эмгараллина тӀера деана кӀен сагӀа — зудчун кара дӀалур ду динан дас. Ткъа динан ден карахь хир ду неӀалт тӀедоуьйту къаьхьа хи.</verse>
				<verse number="19">ТӀаккха динан дас, цу зудчуьнга харцдерг дийца мегар дац аьлла, чӀагӀо а йойтуш, эр ду: ‘Нагахь ахьа хьо марехь йолчу хенахь, кхечу стагаца а лелла, хьайн майрачунна ямартло ца йинехь, хӀокху неӀалт тӀедоуьйтучу хино хьуна цхьа а тайпана зе дийр дац.</verse>
				<verse number="20">Амма хьайн майрачунна ямарта а хилла, хьайн майра иза воццушехь, кхечу стагаца хьо леллехь, —</verse>
				<verse number="21">оцу меттехь динан дас оцу зудчуьнга неӀалт кхайкхоран чӀагӀо йойтур ю, — Везачу Эло хьан халкъе хьуна неӀалт кхайкхадойтуьйла. Цо хьан гӀогӀаш а толхуьйтийла, хьан кийра а боьстуьйтийла.</verse>
				<verse number="22">НеӀалт тӀедоуьйту хӀара хи хьан дегӀа чу долийла, хьан кийра а боьстуьйтуш, хьан гӀогӀаш а толхуьйтуш’. ТӀаккха цу зудчо: ‘Амин, иза иштта хуьлийла’, — ала деза.</verse>
				<verse number="23">НеӀалт хьажош долу и дешнаш динан дас кехат тӀе дӀаяздан деза, оцу хина тӀера дешнаш, кехат даша а дина, къаьхьачу хи чохь диса деза.</verse>
				<verse number="24">И хи цу зудчуьнга дӀамалийта деза. НеӀалт тӀедоуьйтучу цу къаьхьачу хино, цуьнан кийра а дахана, цуьнга Ӏазап хьегийта тарло.</verse>
				<verse number="25">Динан дас, эмгаралла хилар бахьанехь деана кӀен сагӀа зудчун карара схьа а эцна, Везачу Элана лерина хьала а айина, сагӀа доккхучу кхерчана тӀехьур ду.</verse>
				<verse number="26">Динан дас, сагӀина деанчу кӀен цхьа кана, дагалацаран сагӀа санна, схьа а эцна, кхерчана тӀе а диллина, дагор ду. Цул тӀаьхьа и хи зудчуьнга дӀамолуьйтур ду цо.</verse>
				<verse number="27">Нагахь зуда, ша бех а еш, шен майрачунна ямарта хиллехь, и хи мелча, неӀалт тӀедоуьйтучу цу хино, чу а дахана, цуьнга доккха Ӏазап хьоьгуьйтур ду. Цуьнан кийра а бестар бу, цуьнан гӀогӀаш а телхар ду. Цуьнан халкъ, цунна неӀалт а кхайкхош, цунах дӀадоьрзур ду.</verse>
				<verse number="28">Нагахь и зуда шен майрачунна хьалхахь бехке ца хиллехь, динан дас иза бехке йоцийла а хоуьйтур ду, цуьнан бераш а хир ду.</verse>
				<verse number="29">Иштта ю эмгаралла юкъаяьлча хила еза бакъо, нагахь зудчо, шен майрачунна ямартло а йина, къа латадахь,</verse>
				<verse number="30">я нагахь майрачун шен зудчух тешам байнехь, цо ямартло йина аьлла. Динан дас, и зуда Везачу Элана хьалха дӀа а хӀоттийна, оцу бакъоно ма-бохху, дерриге а кхочушдан деза.</verse>
				<verse number="31">Майра цхьана а тайпана бехке хир вац, ткъа зуда, цо къа латийнехь, жоьпе озор ю“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="6">
				<verse number="1">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="2">«Исраилхошка, дӀахьедар а деш, иштта дӀаала: „Нагахь санна шуна юкъара стагана я зудчунна, Везачу Элана лерина ша къобалвина назархо хилархьама, шатайпа нигат дан лаахь,</verse>
				<verse number="3">цо я чагӀар, я кхин тайпана вахош долу малар мала ца деза. Иштта цо чагӀарх я кхечу маларх дина къонза а, кемсех дина мутта а мала мегар дац, ткъа керла я якъийна кемсаш а яа мегар дац цо.</verse>
				<verse number="4">Ша назархо хиларан деношкахь, цхьана а тайпана кемсех яьккхина хӀума яа ца еза цо. Ур-атталла кемсийн хӀу а, чкъор а даа ца деза.</verse>
				<verse number="5">Ша назархо хила нигат динчу дерриге а деношкахь цу стеган корта ларга мегар дац. Ша Везачу Элана лерина къобалвина денош чекхдовллалц, иза Делан долахь а ву, цо шен коьртара месаш яхъялийта а еза.</verse>
				<verse number="6">Иштта, ша Везачу Элана лерина къобалвинчу дерриге а деношкахь докъана юххе ваха а мегар дац и стаг.</verse>
				<verse number="7">Ур-атталла шен да я нана, ваша я йиша дӀакхелхича а, царах хьакха а велла, Далла гергахь ша бехван мегар дац цо, хӀунда аьлча ша Далла лерина къобалваран билгало ю цуьнан коьрта тӀехь.</verse>
				<verse number="8">Ша назархо хиларан дерриге а деношкахь иза Везачу Элан долахь ву.</verse>
				<verse number="9">Ткъа нагахь, дагахь а доцуш, цӀеххьана цунна юххехь волу цхьаъ валарна, ша назархо хиларан билгалонна йолу шен коьртара месаш Далла гергахь цо бехъяхь, шен корта ворхӀалгӀачу дийнахь дӀабаша беза цо, хӀунда аьлча цу хенахь иза юха а цӀанлур ву.</verse>
				<verse number="10">БорхӀалгӀачу дийнахь динан дега иза гуламан четар чу волучу меттехь я ши къоркхокха, я ши кхокха дӀабала беза цо.</verse>
				<verse number="11">Цхьа кхокха къинан сагӀина, шолгӀаниг — дагоран сагӀина дӀаоьцур бу динан дас оцу стагана тӀера къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдархьама, хӀунда аьлча оцу стага докъах хьакхаваларехула къа латийна. Оццу дийнахь шен корта юха а Далла лерина къобалбан беза цо.</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха цо юха а ша Везачу Элана лерина къобалвеш долу назархо хиларан денош дӀадоло деза. Иштта, цу стага цхьа шо кхаьчна боьрша Ӏахар а беана, иза къера хиларан сагӀина дӀабала беза динан дега. Иза назархо хиларан цуьнан денош дӀадайна, и денош цо юха карладаха деза, ша, докъах а хьакхавелла, бехвелла дела.</verse>
				<verse number="13">Шен назархо хиларан денош чекхдевлча, назархочунна хӀоттийна товрат-хьехам иштта бу. И стаг, гуламан четарна чу воллучу метте а вигина,</verse>
				<verse number="14">Везачу Элана лерина сагӀа доккхур ду. Дийнаташ дагоран сагӀина цо бан беза тӀехь цхьа а сакхт доцу шаре баьлла Ӏахар. Къинан сагӀина а бан беза тӀехь цхьа а сакхт доцу шаре баьлла жий. Ткъа бертан сагӀина бан беза тӀехь цхьа а сакхт доцу ка.</verse>
				<verse number="15">Тускар а дан деза, чохь совсазчу бедах деттина хьокхамаш а долуш: зайтдаьттанца эдинчу тоьллачу демах дина совсаза бепиг а, зайтдаьтта тӀехьаькхна дуткъа совсаза хьокхамаш а, царна догӀу кӀен а, чагӀаран а сагӀанаш а.</verse>
				<verse number="16">Динан дас и ерриге а хӀума Везачу Элана уллояхьар ю, цул тӀаьхьа къинан сагӀа а, дагоран сагӀа а доккхур ду.</verse>
				<verse number="17">ТӀаккха совсазчу бедах дина бепиг чохь долу тускар а схьадахьар ду Везачу Элана лерина. Цуьнца цхьаьна ка а бахьар бу бертан сагӀина. Цунна доггӀу кӀен а, чагӀаран а сагӀа а доккхур ду.</verse>
				<verse number="18">Гуламан четарна чуволлучохь Везачу Элана лерина йитина йолу месаш дӀа а йохуш, корта дӀабаша беза цо. Бертан сагӀина кӀелахь йолчу цӀерана тӀе йохкур ю и месаш.</verse>
				<verse number="19">Ша назархо хиларан билгало еш хилла йолу месаш дӀа а яьхна, цу стага шен корта дӀабаьшча, динан дас коьман кхехкийна тӀа цуьнан кара лур ду. Цул тӀаьхьа тускар чуьра цхьацца совсаза бепиг а, буткъа хьокхам а лур бу.</verse>
				<verse number="20">И ерриг хӀума а, Везачу Элана лерина шатайпа сагӀа санна, хьалаойур ю динан дас. Иза дегадаран сагӀа ду. Уьш еза а ю, динан ден долахь а ю. Накха а, гӀогӀ а иштта динан дена догӀу. Цул тӀаьхьа цу назархочо чагӀар мала мегар ду.</verse>
				<verse number="21">Иштта бу назархочунна богӀу товрат-хьехам. Ша назархо хиларна догӀу сагӀанаш даьхна а ца Ӏаш, шен таро елахь, цо Везачу Элана кхин сагӀанаш дахаран нигат дан а тарло. Ша нигат дарца чӀагӀо еш ма-хиллара, назархочун товрат-хьехаме хьаьжжина, иза кхочушдан деза цо“».</verse>
				<verse number="22">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="23">«АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а иштта дӀаала: „Исраилхой цу тайпана декъалбе:</verse>
				<verse number="24">Везачу Эло шу декъал а дойла, Цо шу лар а дойла!</verse>
				<verse number="25">Везачу Эло Шен юьхь тӀера серло шуна лепайойла, Иза шуьца къинхетаме а хуьлийла!</verse>
				<verse number="26">Везачу Эло Шен юьхь шуна тӀе ерза а йойла, Цо шуна синпаргӀато а лойла!“»</verse>
				<verse number="27">Везачу Эло кхин а элира: «Нагахь санна динан дайша, Сан цӀе а йоккхуш, исраилхошна тӀехь декъалбаран дешнаш алахь, Аса декъалбийр бу исраилхой».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="7">
				<verse number="1">Ша Делан четар дӀахӀоттийна ваьллачу дийнахь Мусас иза а, цу чохь мел йолу хӀума а, сагӀа доккху кхерч а, цуьнца мел болу гӀирс а, даьттанца къобал а бина, базбира. Цо и хӀуманаш ерриге а язйича,</verse>
				<verse number="2">шайн доьзалийн баьччанаш болу Исраилан халкъан куьйгалхой баьхкира. Халкъ дагардечу хенахь тайпанашна тӀехь куьйгалла деш берш бара уьш.</verse>
				<verse number="3">Цара Везачу Элана сагӀина лерина совгӀаташ деара: гата тоьхна йолу ялх ворда а, царах дӀабожа шишша сту а. Иштта, халкъан шина куьйгалхочо цхьацца ворда а еанера, ткъа хӀораммо а цхьацца сту а балийнера. Уьш Делан четарна хьалхахь дӀахӀоттийра цара.</verse>
				<verse number="4">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="5">«Халкъан куьйгалхоша еанарг схьаэца. Гуламан четарца доьзна долу гӀуллакх деш болчаьрга лелаяйта уьш. Левихошка дӀало уьш, царна шаьш дечу гӀуллакха тӀехь оьшур ю и хӀуманаш».</verse>
				<verse number="6">Мусас, цаьргара ворданаш а, стерчий а схьа а эцна, уьш левихошка дӀаделира.</verse>
				<verse number="7">Ши ворда а, биъ сту а ГӀиршанан тӀаьхьенах болчу нахе дӀабелира, цара кхочушдеш долчу гӀуллакхашка хьаьжжина.</verse>
				<verse number="8">Йиъ ворда а, бархӀ сту а Мерарин тӀаьхьенах болчу нахе дӀабелира, цара деш долчу гӀуллакхашка хьаьжжина. Царна массарна а тӀехьожуш вара динан да волчу АхӀаронан кӀант Итамар.</verse>
				<verse number="9">Ткъа КхахӀатан тӀаьхьенах болчарна ца белира цо уьш, хӀунда аьлча царна тӀедиллина дара, уьш, меттах а бевлла, кхечу метте дӀабоьлхучу хенахь четаран еза хӀуманаш шайн белшаш тӀехь дӀаяхьар.</verse>
				<verse number="10">СагӀа доккху кхерч базбинчу дийнахь халкъан куьйгалхоша совгӀаташ деара, кхерч Везачу Элана лерина къобалбархьама. Шайн совгӀаташ цара кхерчана хьалха дӀахӀиттадора.</verse>
				<verse number="11">Везачу Эло Мусага элира: «ХӀора дийнахь куьйгалхойх цхьаццанга сагӀа доккху кхерч къобалбарна лерина долу шен совгӀат даийта».</verse>
				<verse number="12">Хьалхарчу дийнахь яхӀудхойн тайпанах волчу Ӏамминадабан кӀанта Нахьшона шен совгӀаташ деара.</verse>
				<verse number="13">Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь.</verse>
				<verse number="14">Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш.</verse>
				<verse number="15">Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Ӏахар беанера.</verse>
				<verse number="16">Къинан сагӀина лерина цхьа бож еанера.</verse>
				<verse number="17">Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла болу пхи Ӏахар. Уьш дара Ӏамминадабан кӀанта Нахьшона деана совгӀаташ.</verse>
				<verse number="18">ШолгӀачу дийнахь иссарханхойн куьйгалхо волчу ЦуӀаран кӀанта Натунаила шен совгӀаташ деара.</verse>
				<verse number="19">Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь.</verse>
				<verse number="20">Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш.</verse>
				<verse number="21">Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Ӏахар беанера.</verse>
				<verse number="22">Къинан сагӀина лерина цхьа бож еанера.</verse>
				<verse number="23">Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла пхи Ӏахар. Уьш дара ЦуӀаран кӀанта Натунаила деана совгӀаташ.</verse>
				<verse number="24">КхозлагӀчу дийнахь забулхойн куьйгалхо волчу Хьелонан кӀанта Элиаба шен совгӀаташ деара.</verse>
				<verse number="25">Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь.</verse>
				<verse number="26">Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш.</verse>
				<verse number="27">Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Ӏахар беанера.</verse>
				<verse number="28">Къинан сагӀина лерина цхьа бож еанера.</verse>
				<verse number="29">Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла пхи Ӏахар. Уьш дара Хьелонан кӀанта Элиаба деана совгӀаташ.</verse>
				<verse number="30">ДоьалгӀачу дийнахь раабанхойн куьйгалхо волчу Шидауран кӀанта Элицура шен совгӀаташ деара.</verse>
				<verse number="31">Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь.</verse>
				<verse number="32">Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш.</verse>
				<verse number="33">Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Ӏахар беанера.</verse>
				<verse number="34">Къинан сагӀина лерина цхьа бож еанера.</verse>
				<verse number="35">Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла болу пхи Ӏахар. Уьш дара Шидауран кӀанта Элицура деана совгӀаташ.</verse>
				<verse number="36">ПхоьалгӀачу дийнахь шамӀахойн куьйгалхо волчу Цура-Шидин кӀанта Шелумиала шен совгӀаташ деара.</verse>
				<verse number="37">Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь.</verse>
				<verse number="38">Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш.</verse>
				<verse number="39">Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Ӏахар а беанера.</verse>
				<verse number="40">Къинан сагӀина цхьа бож еанера.</verse>
				<verse number="41">Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла пхи Ӏахар. Уьш дара Цура-Шидин кӀанта Шелумиала деана совгӀаташ.</verse>
				<verse number="42">ЙолхалгӀачу дийнахь гадахойн куьйгалхо волчу ДаӀуалан кӀанта Элъясайпа шен совгӀаташ деара.</verse>
				<verse number="43">Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь.</verse>
				<verse number="44">Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш.</verse>
				<verse number="45">Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Ӏахар беанера.</verse>
				<verse number="46">Къинан сагӀина лерина цхьа бож еанера.</verse>
				<verse number="47">Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла пхи Ӏахар. Уьш дара ДаӀуалан кӀанта Элъясайпа деана совгӀаташ.</verse>
				<verse number="48">ВорхӀалгӀачу дийнахь эпраймхойн куьйгалхо волчу ӀамихӀудан кӀанта Эли-ШамаӀа шен совгӀаташ деара.</verse>
				<verse number="49">Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь.</verse>
				<verse number="50">Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш.</verse>
				<verse number="51">Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Ӏахар беанера.</verse>
				<verse number="52">Къинан сагӀина лерина цхьа бож еанера.</verse>
				<verse number="53">Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла пхи Ӏахар. Уьш дара ӀамихӀудан кӀанта Эли-ШамаӀа деана совгӀаташ.</verse>
				<verse number="54">БорхӀалгӀачу дийнахь маннашхойн куьйгалхо волчу Падацуран кӀанта Гамлиала шен совгӀаташ деара.</verse>
				<verse number="55">Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь.</verse>
				<verse number="56">Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш.</verse>
				<verse number="57">Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Ӏахар беанера.</verse>
				<verse number="58">Къинан сагӀина лерина цхьа бой еанера.</verse>
				<verse number="59">Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бой, шаре баьлла пхи Ӏахар. Уьш дара Падацуран кӀанта Гамлиала деана совгӀаташ.</verse>
				<verse number="60">УьссалгӀачу дийнахь бен-яманхойн куьйгалхо волчу ГидӀонин кӀанта Авданис шен совгӀаташ деара.</verse>
				<verse number="61">Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь.</verse>
				<verse number="62">Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш.</verse>
				<verse number="63">Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Ӏахар беанера.</verse>
				<verse number="64">Къинан сагӀина лерина цхьа бож еанера.</verse>
				<verse number="65">Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла пхи Ӏахар. Уьш дара ГидӀонин кӀанта Авданис деана совгӀаташ.</verse>
				<verse number="66">УьтталгӀачу дийнахь Данахойн куьйгалхо волчу Ӏами-Шидин кӀанта АхьиӀазара шен совгӀаташ деара.</verse>
				<verse number="67">Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь.</verse>
				<verse number="68">Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш.</verse>
				<verse number="69">Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, пхи бож, шаре баьлла цхьа Ӏахар беанера.</verse>
				<verse number="70">Къинан сагӀина лерина цхьа бож еанера.</verse>
				<verse number="71">Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла пхи Ӏахар. Уьш дара Ӏами-Шидин кӀанта АхьиӀазара деана совгӀаташ.</verse>
				<verse number="72">ЦхьайтталгӀачу дийнахь Ашар-къоман куьйгалхо волчу Ӏухранан кӀанта ПагӀиала шен совгӀаташ деара.</verse>
				<verse number="73">Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь.</verse>
				<verse number="74">Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш.</verse>
				<verse number="75">Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, пхи бож, шаре баьлла цхьа Ӏахар беанера.</verse>
				<verse number="76">Къинан сагӀина лерина цхьа бож еанера.</verse>
				<verse number="77">Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла пхи Ӏахар. Уьш дара Ӏухранан кӀанта ПагӀиала деана совгӀаташ.</verse>
				<verse number="78">ШуьйтталгӀачу дийнахь напталхойн куьйгалхо волчу Ӏайнанан кӀанта АхьираӀа шен совгӀаташ деара.</verse>
				<verse number="79">Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь.</verse>
				<verse number="80">Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш.</verse>
				<verse number="81">Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Ӏахар беанера.</verse>
				<verse number="82">Къинан сагӀина лерина цхьа бож еанера.</verse>
				<verse number="83">Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла пхи Ӏахар. Уьш дара Ӏайнанан кӀанта АхьираӀа деана совгӀаташ.</verse>
				<verse number="84">Уьш дара исраилхойн куьйгалхоша сагӀа доккху кхерч, баз а беш, Везачу Элана лерина иза къобалбечу дийнахь деана совгӀаташ. Цхьаьна а тоьхна, уьш дагардича, церан жамӀ иштта хилира: шийтта дато бога, шийтта дато кад, шийтта дашо кад.</verse>
				<verse number="85">ХӀора дато бошхепана даханера цхьа бӀе ткъе итт шекхал, ткъа хӀора дато боганна кхузткъе итт шекхал барамехь долу дети. Цу тайпана оцу пхьегӀашна даханчу детин барам бара, дезачу шекхале хьаьжжина, ши эзар диъ бӀе шекхал дети.</verse>
				<verse number="86">Шайна чохь хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь долчу шийтта кедах хӀора кедана даханера итт шекхал деши, дезачу шекхале хьаьжжина. Оцу дерриге а дашо кедашна даханера цхьа бӀе ткъа шекхал деши.</verse>
				<verse number="87">Дагоран сагӀина лерина деана дийнаташ дерриге а дара: шийтта старгӀа, шийтта ка, шаре баьлла шийтта Ӏахар. Царна йогӀуш йолу кӀен сагӀина лерина хӀуманаш цаьрца цхьаьна еанера. Иштта къинан сагӀина лерина еана шийтта бож а яра.</verse>
				<verse number="88">Ткъа бертан сагӀина лерина деанера хӀара: ткъе йиъ старгӀа, кхузткъа ка, кхузткъа бож, шаре баьлла болу кхузткъа Ӏахар. Иштта яра, сагӀа доккху кхерч баз а беш, Мусас иза Везачу Элана лерина къобалбича, сагӀина лерина еана хӀума.</verse>
				<verse number="89">Муса Везачу Элаца къамел дан гуламан четар чу ваьлча, тоьшаллин тӀорказна тӀехь долчу шина каруб-маликана юккъехь, Дала къинош дӀадохучу негӀарна тӀехула аз хезара цунна. Цигара Веза Эла Мусага вистхуьлура.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="8">
				<verse number="1">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="2">«АхӀаронна тӀе а дуьллуш, цуьнга иштта дӀаала: „Ахь ворхӀ къуьда стогар чу дӀахӀотточу хенахь, цаьрга стогарна хьалха агӀор йолу меттиг серлаяккхийта“».</verse>
				<verse number="3">АхӀарона кхочушдира иза. Везачу Эло Мусана тӀедиллина ма-хиллара, стогарна хьалха агӀор йолу меттиг серлаяккхийта АхӀарона къуьданаш дӀахӀиттийра.</verse>
				<verse number="4">Стогар иштта бина бара. Иза берриге а бухара дуьйна лакхарчу зезагашна тӀекхаччалц туьйсинчу деших бинера. Везачу Эло Мусана гайтина хиллачу суьртехь бинера и стогар.</verse>
				<verse number="5">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="6">«Исраилан халкъана юкъара левихой, схьа а къастабай, цӀанбе.</verse>
				<verse number="7">Ткъа уьш цӀанбеш хӀара де: къинойх цӀанбан лерина кечдинчу хин цинцаш тоха царна тӀе. Шайн догӀмаш тӀера берриге а чо дӀабаккхийта цаьрга. Иштта шайна тӀера бедарш а йиттийта цаьрга, тӀаккха уьш Суна хьалха цӀанлур бу.</verse>
				<verse number="8">СтаргӀа а, цуьнца цхьаьна кӀен сагӀина лерина деана долчу зайтдаьттанца эдина дама а схьаэцийта левихошка. ШолгӀа старгӀа къинан сагӀина схьаэца ахьа.</verse>
				<verse number="9">Левихой гуламан четарна хьалха дӀахӀиттабе. Иштта дерриге а Исраилан халкъ дӀагулде цига.</verse>
				<verse number="10">Везачу Элана хьалха дӀахӀиттабе левихой, ткъа Исраилан халкъе царна тӀе куьйгаш дахкийта.</verse>
				<verse number="11">Исраилхошна тӀера долу шатайпа сагӀа санна уьш Везачу Элана хьалха базбайта АхӀароне, Везачу Элан болх бан уьш кечбархьама.</verse>
				<verse number="12">Ткъа левихошка шайн куьйгаш старгӀанийн кортош тӀе дахкийта. Царах цхьаъ — къинан сагӀа, шолгӀаниг — Везачу Элана лерина долу дагоран сагӀа даккха деза, левихойн къинош дӀадахархьама.</verse>
				<verse number="13">АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а хьалха левихой дӀа а хӀиттабай, Везачу Элана лерина шатайпа сагӀа санна хьалаайа уьш.</verse>
				<verse number="14">Цу тайпана левихой Исраилан халкъах дӀакъастабе, уьш Сан долахь хилийтархьама.</verse>
				<verse number="15">Цул тӀаьхьа левихошна пурба ло гуламан четарна уллобаха а, цуьнца боьзна болу болх бан а, хӀунда аьлча уьш, цӀан а бина, шатайпа сагӀа санна, Суна лерина къобалбина бу.</verse>
				<verse number="16">Исраилхошна юкъара уьш Суна лерина схьакъастийна бу. Ас уьш, хьалха дуьнен чу ваьлла волчу хӀора исраилхочун метта, Сайн дола баьхна.</verse>
				<verse number="17">Исраилхойн мел хьалха дуьнен чу даьлла хӀума: кӀентех а, бежанех а — Сан ду. ХӀунда аьлча Аса Мисар-махкахь хьалха дуьнен чу даьлларг, кӀентех а, бежанех а, дерриг а хӀаллакдинчу дийнахь уьш Сайн дола бехира.</verse>
				<verse number="18">ХӀинца Аса Исраилан халкъана юкъара берриге а хьалха дуьнен чу бевллачу кӀентийн метта левихой схьаэцна.</verse>
				<verse number="19">Уьш, Исраилан дерриге а халкъана юкъара схьа а къастийна, Аса АхӀаронан а, цуьнан кӀентийн а кара дӀабелла, Исраилан халкъан дуьхьа цаьрга гуламан четарца доьзна долу гӀуллакх дайтархьама а, халкъан къинош дӀадахийтархьама а. ТӀаккха бохам тӀебогӀур бац Исраилан халкъана, уьш муьлххачу а хенахь езачу меттигна улло баьхкича».</verse>
				<verse number="20">Мусас а, АхӀарона а, дерриге а Исраилан халкъо а кхочушдира Везачу Эло левихойх лаьцна олуш Мусана тӀе мел диллинарг.</verse>
				<verse number="21">Левихоша шайн догӀмаш а цӀандира, тӀера бедарш а йиттира. Цул тӀаьхьа АхӀарона уьш Везачу Элана хьалха шатайпа долу сагӀа санна хьала а айира, царна тӀера къинош дӀадахаран Ӏадат кхочуш а дира, уьш Далла хьалха цӀанбархьама.</verse>
				<verse number="22">Иза динчул тӀаьхьа левихой гуламан четарца боьзна болу шайн болх бан хӀиттира, АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а церан тергам а беш. Везачу Эло левихойх лаьцна Мусана тӀедиллина ма-хиллара, дерриг а кхочушдира цара.</verse>
				<verse number="23">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="24">«Иштта ду левихойн бакъонех лаьцна дерг. Ткъе пхи шо а, цул сов а хан йолу хӀора левихо Делан четарца доьзна долу гӀуллакх дан хӀотта веза.</verse>
				<verse number="25">Ткъа шайн шовзткъе итт шо кхаьчча, цара и гӀуллакх дар сацо деза, уьш кхин болх ца бича а бовлу.</verse>
				<verse number="26">Шовзткъе итт шо я цул сов хан йолчара гуламан четар лардарца доьзначу гӀуллакх тӀехь шайн вежаршна гӀо дан мегар ду, амма четарца боьзна болчу балхах лаьцна аьлча — цара и болх бан ца беза. Иштта лела веза хьо, левихойн лардаран гӀуллакхе хьаьжжина».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="9">
				<verse number="1">Исраилан халкъ Мисар-махкара арадаьллачу шолгӀачу шеран хьалхарчу баттахь Синай цӀе йолчу яьссачу арахь Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="2">«Цунна билгалъяьккхинчу хенахь Исраилан халкъе Пасахьан дезде даздайта.</verse>
				<verse number="3">Цу беттан дейтталгӀачу дийнахь, суьйранна, оцу гӀуллакхна билгалъяьккхинчу хенахь, цуьнан массо а парзашка а, тӀедехкинчаьрга а хьаьжжина, кхочушделаш иза».</verse>
				<verse number="4">Мусас Исраилан халкъе дӀахаийтира Пасахьан дезде даздан дезар.</verse>
				<verse number="5">Хьалхарчу беттан дейтталгӀачу дийнахь, суьйранна, Синай яьссачу арахь Пасахьан дезде даздира цара. Везачу Эло Мусагахула шайна тӀедиллинарг дерриге а кхочушдира исраилхоша.</verse>
				<verse number="6">Царна юкъахь адамийн докъех куьг Ӏоттадаларца Везачу Элана гергахь бехделла адамаш а дара. Церан бакъо яцара цу дийнахь Пасахьан дезде даздан. Уьш цу дийнахь Мусана а, АхӀаронна а тӀебаьхкира.</verse>
				<verse number="7">Оцу наха Мусага элира: «Адамийн докъех куьг Ӏоттарна боьха ду тхо Везачу Элана гергахь. ХӀунда яц те тхан а бакъо исраилхошца цхьаьна билгалъяьккхинчу хенахь Везачу Элана лерина сагӀа даккха?»</verse>
				<verse number="8">Мусас цаьрга элира: «Собарделаш, Везачу Эло шух лаьцна хӀун олу ладугӀу аса».</verse>
				<verse number="9">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="10">«Исраилхошка иштта дӀаала: „Нагахь шух я шун тӀаьхьенах волу цхьаъ, адаман докъах куьг а Ӏоьттина, бехвеллехь, я генна новкъа иза ваьллехь, цо а Пасахьан дезде даздан деза.</verse>
				<verse number="11">Иштта болчара а шолгӀачу беттан дейтталгӀачу дийнахь суьйранна кхочушдан деза и гӀуллакх. СагӀина беана Ӏахар совсазчу баьпкаца а, къаьхьачу бецашца а баа беза цара.</verse>
				<verse number="12">Ӏуьйре хилале цунах хӀумма а ма дита, цуьнан даьӀахкаш а кег ма е. Пасахьах лаьцна массо а тӀедехкинчу парзашка хьаьжжина, кхочушдан деза исраилхоша и гӀуллакх.</verse>
				<verse number="13">Ткъа ша цӀена воллушехь я генарчу новкъа ваьлла воццушехь, Пасахьан дезде даз ца динарг шен халкъана юкъара дӀавоккхур ву, цо шен хеннахь Везачу Элана лерина сагӀа ца даккхарна. Иштта волу стаг ша летийначу къинна жоьпе озор ву.</verse>
				<verse number="14">Шуна юкъахь Ӏаш тӀевеана стаг велахь, ткъа цунна а Везачу Элана лерина Пасахьан дезде даздан лаахь, цо и гӀуллакх, Пасахьан парзаш а, цуьнан тӀедехкинарш а лар а деш, кхочушдан деза. Шун массеран а цхьатерра парзаш хила деза — тӀевеанчу стеган а, шен схьавалар исраилхойх волчуьнан а“».</verse>
				<verse number="15">Делан четар дӀахӀоттийначу дийнахь оцу тоьшаллин четарна тӀе марха хӀоьттира. Сарахь дуьйна сахиллалц четарна тӀехула йолу марха цӀе санна гуш яра.</verse>
				<verse number="16">Иза гуттара а иштта хуьлура: дийнахь четарна тӀехула марха сецна лаьттара, ткъа буьйсанна и марха йогуш йолу цӀе санна хуьлура.</verse>
				<verse number="17">Четарна тӀера марха хьалаайаелча, исраилхой новкъа бовлура, ткъа и марха сецначу меттехь цара шайн меттамотт дӀахӀоттабора.</verse>
				<verse number="18">Исраилхой Везачу Элан омрица новкъа а бовлура, Цуьнан омрица совца а совцура. Марха четарна тӀехь сецна лаьттачу массо а ханна исраилхой шайн меттаматтахь совцура.</verse>
				<verse number="19">Нагахь марха четарна тӀехь сецна дукха лаьттича, исраилхой а, шайга Везачу Эло ма-бохху, кхидӀа новкъа ца бовлура.</verse>
				<verse number="20">Наггахь и марха четарна тӀехь сецна кӀеззигчу хенахь бен ца лаьттара. Дукха хан я кӀезиг хан иза елахь а, Везачу Элан омрица уьш совца а совцура, Цуьнан омрица новкъа а бовлура.</verse>
				<verse number="21">Наггахь, сарахь тӀе а хӀуттий, сахиллалц бен ца соцура марха. Ӏуьйре тӀееача, марха хьалаайалора, тӀаккха исраилхой новкъа бовлура. Дийнахь я буса иза делахь а, марха хьалаайаелча, исраилхой новкъа бовлура.</verse>
				<verse number="22">Ткъа нагахь марха шина дийнахь я цхьана баттахь, я кхин а дукха йолчу хенахь сецна лаьттича, исраилхой а совцура, новкъа а ца бовлуш. Марха хьалаайаелча, уьш а бовлура новкъа.</verse>
				<verse number="23">Везачу Элан омрица исраилхой совца а совцура, Цуьнан омрица новкъа а бовлура. Везачу Эло Мусагахула тӀедиллина ма-хиллара, кхочушдора цара Везачу Элан омра.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="10">
				<verse number="1">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="2">«Хьайна дато ши турба е, халкъ гуламе кхайкха а, меттамотт хуьйцуш нахе хаийта а.</verse>
				<verse number="3">И ши турба лекхча, Делан четарна чуволучохь гуллур ду дерриг а халкъ.</verse>
				<verse number="4">Цхьа турба лекхча, исраилхойн хӀора эзар стагана тӀе хӀиттийна тхьамданаш бен гуллур бац хьуна гонах.</verse>
				<verse number="5">Орца доккхуш турба лекхча, малхбалехьа меттамотт хӀоттийна исраилхой гӀовтта беза.</verse>
				<verse number="6">ШолгӀа а, орца доккхуш турба лекхча, къилбехьа дӀанисбелларш гӀовтта беза. Уьш новкъа бовлуш а, орца доккхуш турба лакха еза.</verse>
				<verse number="7">Халкъ гуламе кхойкхуш а турба лакха, амма орца доккхуш санна а ца локхуш.</verse>
				<verse number="8">И турбанаш лакха дезарш динан дай болу АхӀаронан кӀентий бу. И гӀуллакх царна а, церан тӀаьхьенашна а гуттаренна а тӀедиллина хир ду.</verse>
				<verse number="9">Шайн махкана тӀелеттачу мостагӀчунна дуьхьал тӀамца шу доьлхучу хенахь, орца доккхуш, турба лакха. ТӀаккха шайн Везачу Далла дагадогӀур ду шу, Цо шу мостагӀех кӀелхьардохур ду.</verse>
				<verse number="10">Бутт а цӀинбелла, я кхин долу деза денош тӀе а хӀиттина, шайн самукъане хан елахь, цунна лерина дийнаташ дагоран а, барт баран а сагӀанаш шаьш дохучу хенахь турбанаш лакха. Иза шун Далла шу дагадаийтар хир ду. Со Веза Эла волу шун Дела ву».</verse>
				<verse number="11">Исраилхой Мисар-махкара Дала арабаьхначу шолгӀачу шеран, шолгӀачу беттан ткъолгӀачу дийнахь тоьшаллин четарна тӀера марха хьалаайаелира.</verse>
				<verse number="12">Синай цӀе йолчу яьссачу арара дӀабахара исраилхой. ДӀайоьдуш йолу марха Паран олучу яьссачу арахь сецира.</verse>
				<verse number="13">Мусагахула Везачу Эло тӀедиллинчу омрица дуьххьара новкъа бовла кечбелира исраилхой.</verse>
				<verse number="14">Хьалха ЯхӀудан тӀаьхьенах болчу наха айира байракх, тӀеман кепехь шайн тобанаш арайовлуш. Царна тӀехь куьйгалла деш Ӏамминадабан кӀант Нахьшон вара.</verse>
				<verse number="15">Иссарханан тӀаьхьенах болчу нахана тӀехь куьйгалла деш ЦуӀаран кӀант Натунаил вара.</verse>
				<verse number="16">Забулан тӀаьхьенах болчу нахана тӀехь куьйгалла деш Хьелонан кӀант Элиаб вара.</verse>
				<verse number="17">Делан четар, вовшах а даьккхина, дӀадахьа кечдира. Гуттар а шаьш ма-даххьара, ГӀиршанан а, Мерарин а тӀаьхьенех болчу наха дӀадаьхьира иза.</verse>
				<verse number="18">Раабанан тӀаьхьенах болчу наха а, шаьш цу меттигера арадовлуш, шайн байракх айира. Царна тӀехь куьйгалла деш вара Шидауран кӀант Элицур.</verse>
				<verse number="19">ШимӀин тӀаьхьенах болчу нахана тӀехь куьйгалла деш вара Цура-Шидин кӀант Шелумиал.</verse>
				<verse number="20">Гадин тӀаьхьенах болчу нахана тӀехь куьйгалла деш вара ДаӀуалан кӀант Элъясайп.</verse>
				<verse number="21">Царал тӀаьхьа КхахӀатан тӀаьхьенах болу нах дӀабахара. Делан четарна кӀел хӀоттош долу дерриг а деза хӀума дара цара шайца дӀахьош. Уьш керла меттамотт болчу дӀакхачале, четар цигахь дӀахӀоттийнера.</verse>
				<verse number="22">Эпрайман тӀаьхьено а шайн байракх хьалаайира, шаьш тӀеман хьесапехь йолчу тобанашца арадовлуш. ӀамихӀудан кӀант Эли-ШамаӀ вара церан куьйгаллехь.</verse>
				<verse number="23">Маннашан тӀаьхьенна тӀехь куьйгалла деш вара Падацуран кӀант Гамлиал.</verse>
				<verse number="24">Царал тӀаьхьа богӀучу Бен-Яманан тӀаьхьенах болчу нахана тӀехь куьйгалла деш вара ГидӀонин кӀант Авдани.</verse>
				<verse number="25">Байракх а айина, уггаре а тӀаьхьа арабевлларш Данан тӀаьхьенах болу нах бара. Царна тӀехь куьйгалла деш вара Ӏами-Шидин кӀант АхьиӀазар.</verse>
				<verse number="26">Ашаран тӀаьхьенах болчу нахана тӀехь куьйгалла деш вара Ӏухранан кӀант ПагӀиал.</verse>
				<verse number="27">Напталан тӀаьхьенах болчу нахана тӀехь куьйгалла деш вара Ӏайнанан кӀант АхьираӀ.</verse>
				<verse number="28">Иштта дӀахӀоьттинчу кепаца дӀабоьлхура исраилхой тӀеман хьесапехь йолчу тобанашца.</verse>
				<verse number="29">Шен стунден маданхочун РаӀалан кӀанте Хьабабе Мусас элира: «Везачу Эло тхайна лур бу аьллачу махка доьлхуш ду тхо. Схьавола тхоьца, оха хьуна дика болх бийр бу, хӀунда аьлча Везачу Эло Исраилан халкъана дуккха а диканиг дийр ду аьлла».</verse>
				<verse number="30">Амма Хьабаба элира: «Со ца вогӀу шуьца, сайн махка, сайн лаьтта тӀе дӀагӀур ву со».</verse>
				<verse number="31">ТӀаккха Мусас дехар дира: «Тхо дӀа ма тасахьа, хьуна дика евза хӀара яьсса аре, тхуна некъ гойтуш, хьо хьалхаваьлча, дика хир дара.</verse>
				<verse number="32">Хьо тхоьца вагӀахь, Везачу Эло тхайна дина дика хьуна а кхочуьйтур дара оха».</verse>
				<verse number="33">Везачу Элан лома уллора кхаа дийнахь новкъа дӀабахара исраилхой. Везачу Элаца барт баран тӀорказ, хьалха а даьккхина, дӀахьош дара оцу кхаа дийнахь, шайна совца меттиг билгалъяккхархьама.</verse>
				<verse number="34">Дийнахь уьш дӀабоьлхуш, Везачу Элан марха лаьтташ яра царна тӀехула.</verse>
				<verse number="35">Шаьш тӀорказ новкъа доккхуш, Мусас олура: «ГӀаттахьа, Веза Эла! ХӀаллакьхуьлда Хьан мостагӀий, Хьо ца везарш бовдийла Хьох!»</verse>
				<verse number="36">Ткъа шаьш садаӀа севцча, деза тӀорказ цара дӀахӀоттош, Мусас олура: «Юхаверзахьа, Веза Эла, эзарнаш исраилхошна тӀе!»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="11">
				<verse number="1">Везачу Элана лен доладелира халкъ. Нехан къамелаш а хезна, оьгӀазваханчу Везачу Эло царна юкъахь цӀе латийра. Уьш лаьттачу меттиган йист ягийра цӀеро.</verse>
				<verse number="2">Мусага орца даьккхира халкъо. Везачу Эле Мусас доӀа а дина, цӀе дӀаяйра.</verse>
				<verse number="3">Цу меттигах ТабӀера элира (иза «цӀе латар» бохучух тера ду), хӀунда аьлча Везачу Элан цӀе летира халкъана юкъахь цигахь.</verse>
				<verse number="4">Исраилхошца болу тӀебаьхкина нах шайн лаамаш гучубаха хӀиттира. Цаьрца цхьаьна исраилхой а, резабоцуш, къамелаш дан буьйлабелира: «Тхуна жижиг хьан лур ду?</verse>
				<verse number="5">Мисар-махкахь маьхза тхаьш биина чӀара дагабогӀу тхуна, цигахь наьрсаш а, пастанаш а, сийна хох а, саьрамсекх а боура оха.</verse>
				<verse number="6">ХӀинца тхо холчохь ду, „ман“ цӀе йолчу цхьана кхачанан буьртигаш доцурш, оха юуш хӀума яц».</verse>
				<verse number="7">(Ораматан хӀу санна а йолуш, тӀехьаьжна сегӀазах тера яра и «ман».</verse>
				<verse number="8">Наха, арахула дӀабоьлхий, гулйора иза, кохьарца ахьа а охьура (я махка чохь ата а отура), кхехка а йора, хьокхамаш а дора цунах. Зайтдаьтта тоьхначу хьокхамах тера бара цуьнан чам.</verse>
				<verse number="9">Меттамотт болчохь тхи диллинчу буса юьллура лаьтта тӀе «ман».)</verse>
				<verse number="10">Мусана хезара нах четаршна хьалха шайн доьзалшкахь боьлхуш. Веза Эла чӀогӀа оьгӀазваханера, и бахьана долуш дог доьхна Муса а вара.</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха Мусас элира Везачу Эле: «Хьайн лай хӀунда хьийзаво те Ахьа? Хьо суна реза хӀунда вац те? ХӀокху халкъан берриг а бала суна тӀе хӀунда билли Ахьа?</verse>
				<verse number="12">Ас кийрахь лелийна хӀара халкъ, я ас дуьнен чу даьккхина иза, Ахь соьга ала: „Нанас лело бер санна, дӀахьо и халкъ Ас цуьнан дайшна лур ду аьллачу лаьтта тӀе“?</verse>
				<verse number="13">Ас мичара лур ду дерриг а кху халкъана жижиг? Суна хьалха белха а боьлхуш, шайна жижиг ло ма боху цу наха.</verse>
				<verse number="14">Соьга цхьаьнга дӀа ца кхехьало хӀара халкъ, дукха беза мохь бу иза суна.</verse>
				<verse number="15">ХӀара гӀуллакх Ахь суна тӀедуьллуш хилча, вей, дӀаваккха со, Хьо суна реза велахь. ТӀаккха бала хьега дезар дац сан».</verse>
				<verse number="16">Везачу Эло Мусага элира: «Исраилхошна юкъара, хьайна бевзаш а болуш, халкъана тӀехь куьйгалла деш болчу баккхийчу нахах кхузткъе итт стаг, къаста а вай, Делан четарна тӀе схьавалаве. Хьайца цигахь дӀахӀиттабе уьш.</verse>
				<verse number="17">Чу а воьссина, цигахь Ас хьоьца къамел дийр ду, хьоьца долчу Дезачу Синах, схьаэцна, цхьа дакъа тхьамданашна а кхочуьйтур ду Ас, халкъан баланаш хьоьца цхьаьна цаьрга а дӀакхехьийта.</verse>
				<verse number="18">Халкъе дӀаала: „Шаьш Суна лерина хилийта цӀена хила, хӀунда аьлча кханалерчу дийнахь аша жижиг дуур ду. Везачу Элана хезна шу доьлхуш: ‘Тхуна жижиг хьан лур ду? Мисарахь тхо дика Ӏаш дара’, — бохуш, цундела Цо лур ду шуна даа жижиг.</verse>
				<verse number="19">Аш иза цхьана дийнахь а, шина дийнахь а, кхаа а, итт а, ткъа дийнахь а диъна Ӏийр дац,</verse>
				<verse number="20">амма цхьана баттахь дуур ду, иза сов а даьлла, мерӀуьргашкахула схьадоладаллалц. Иза шуна хир ду шайна юкъахь волу Веза Эла аша ца ларарна а, шу Цунна: ‘Тхо Мисарара ара хӀунда даьхна?’ — бохуш, делхарна а“».</verse>
				<verse number="21">Мусас элира: «Ялх бӀе эзар гӀашло ву цу халкъана юкъахь, ткъа Ахь боху: „Ас царна жижиг лур ду цхьана баттахь даъал!“</verse>
				<verse number="22">Дерриг а уьстагӀий а, стерчий а дайича, тоьур дарий те уьш халкъана? Я хӀорда чуьра берриг а чӀара схьабаьккхича, цунах нахана кхачо хир ярий те?»</verse>
				<verse number="23">Везачу Эло Мусага элира: «Везачу Элан ницкъ ца кхочуш хӀун ду? Хьуна гур ду, Аса хьоьга аьлларг кхочушхуьлу я ца хуьлу».</verse>
				<verse number="24">Мусас, ара а ваьлла, халкъе дӀахаийтира Везачу Элан къамел. Нахана юкъара кхузткъе итт тхьамда а гулвина, уьш Делан четарна хьалха дӀахӀиттийра цо.</verse>
				<verse number="25">Мархи юкъахь чувоьссинчу Везачу Эло къамел дира Мусаца. Цуьнгара Дезачу Синан дакъа схьа а эцна, кхузткъе итт тхьамдина делира Везачу Эло. Деза Са шайна тӀе доьссича, уьш Делера болу хаам бан хӀиттира нахана, амма юха а севцира.</verse>
				<verse number="26">Цу тхьамданашна юкъахь хаьржина Элдад а, Майдад а цӀераш йолу ши стаг вара. Амма четарна хьалха ца вогӀуш, меттамотт болчохь сецнера и шиъ. Царна тӀе а доьссинера Деза Са. ТӀаккха и шиъ Делера болу хаам бан волавелира нахана юкъахь.</verse>
				<verse number="27">Схьахьаьдда веанчу жимачу стага Мусага элира: «Элдад а, Майдад а меттамотт болчохь Делера болу хаам беш ву».</verse>
				<verse number="28">И хезча, Мусас хаьржина а волуш, цунна гӀо деш волчу Нунин кӀанта ЮшаӀа элира: «Сан эла Муса, дехкахьа царна иза!»</verse>
				<verse number="29">Амма Мусас жоп делира: «Халкъ сох дӀадерзарх кхоьру хьо? Везачу Элан Деза Са тӀе а доьссина, Цуьнан халкъана юкъара массо а велахьара Делера хаам беш».</verse>
				<verse number="30">Исраилхойн тхьамданаш а эцна, меттаматте дӀавахара Муса.</verse>
				<verse number="31">Везачу Эло хьакхийтинчу мохо хӀорд болчу агӀорхьара лекъарчий деара. Лаьтта тӀехула локхаллина шина даларан барамехь догӀу уьш исраилхойн меттамотт болчу а, цхьана дийнахь некъ бал цунна гонах йолчу аренга а охьахевшира.</verse>
				<verse number="32">Арабевллачу наха цу дийнахь а, буса а, шолгӀачу дийнахь а гулдира лекъарчий. Уггар кӀезиг гулдинчо а кхузткъа тускар гулдира. Шайн меттамотт болчу гонах йолчу аренгахь охьадехкира наха уьш.</verse>
				<verse number="33">Нехан багахь долу лекъарчийн жижиг диъна а далале, Везачу Элан оьгӀазалла йоьссира халкъана тӀе. Цо хала ун кхетийтира нахана.</verse>
				<verse number="34">Цу меттиган цӀе Кхиброт-ХӀатаъву тиллира (иза «сутара» бохург ду), хӀунда аьлча жижигна саьхьара болу нах белира цигахь.</verse>
				<verse number="35">Кхиброт-ХӀатаъвуера Хьацерут олучу метте дӀабахара исраилхой. Цигахь севцира уьш.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="12">
				<verse number="1">Марема а, АхӀарона а Мусана тӀехбеттамаш бора, цуьнан хушахо йолу зуда бахьана долуш, хӀунда аьлча Мусас шена хушахо йолу зуда ялийнера.</verse>
				<verse number="2">Цара вовшашка элира: «Цхьана Мусагахула бен вист ца хуьлура ткъа Веза Эла? Вайгахула а вист ма хуьлура Иза». Везачу Элана иза дӀахезира.</verse>
				<verse number="3">(Ткъа кху лаьттахь мел долчу адамал Мусана ша кӀезиг хетара.)</verse>
				<verse number="4">Везачу Эло цӀеххьана Мусага а, АхӀароне а, Мареме а элира: «Шу кхоъ гуламан четар долчу арадала». Уьш кхоь араделира.</verse>
				<verse number="5">Веза Эла, мархин бӀогӀамана юкъахь охьа а воьссина, четар чу волучу меттехь дӀахӀоьттира. Цо АхӀароне а, Мареме а схьакхайкхира. Уьш Везачу Элана тӀебахара.</verse>
				<verse number="6">Везачу Эло элира: «ЛадогӀа Сан дешнашка! Нагахь санна шун пайхамарш белахьара, Со царна я суьрташкахь дуьхьал хӀуттур вара, я гӀенашкахь дуьйцур дара Аса цаьрца.</verse>
				<verse number="7">Ткъа Сайн ялхо волчу Мусаца иза иштта ца хуьлу. Сан дерриге а халкъана тӀехь ша дечу куьйгаллехь иза тешаме ву.</verse>
				<verse number="8">Аса цуьнца, юьхь-дуьхьал а волуш, ма-дарра къамел до, хӀетал-металш а ца далош. Цунна Везачу Элан васт а го. Шу муха даьхьнера Сан лай волчу Мусана тӀехтохам бан?»</verse>
				<verse number="9">Веза Эла, царна чӀогӀа дар а велла, дӀавахара.</verse>
				<verse number="10">Четарна тӀехула марха хьалаайаелча, Мареман дегӀ ло санна кӀайделира, цунна юха ца йоьрзу чкъуран цамгар кхийтира! АхӀарон, юха а вирзина, Мареме дӀахьаьжча, цунна гира Маремана кхераме йолу чкъуран цамгар кхеттийла!</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха АхӀарона Мусага элира: «Сан олахо! КъинтӀера валахьа тхуна, оха, иштта сонта хӀума а дина, къа латорна!</verse>
				<verse number="12">Ма йисийтахьа иза, ахдегӀ телхина а долуш, дуьнен чу долу делла бер санна а йолуш!»</verse>
				<verse number="13">Муса, дехар а деш, Везачу Эле кхайкхира: «Дела! Доьху Хьоьга, оцу цамгарх тоехьа иза!» — бохуш.</verse>
				<verse number="14">Везачу Эло Мусага элира: «Нагахь санна цуьнан дас цунна юьхь-дуьхьал туй тоьхча, ворхӀ дийнахь юьхьӀаьржачу хӀоьттина Ӏан ца дезара цуьнан? ХӀинца ворхӀ денна меттаматтана арахьа яккха иза, цул тӀаьхьа иза юхаерзо мегар ду».</verse>
				<verse number="15">Марема меттаматтана арахьа ворхӀ де даьккхира. Иза юхаяккхалц, халкъ новкъа ца делира</verse>
			</chapter>
			<chapter number="13">
				<verse number="1">Цул тӀаьхьа, Хьацерут цӀе йолчу меттигера ара а даьлла, халкъ Паран цӀе йолчу яьссачу арахь сецира.</verse>
				<verse number="2">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="3">«Аса исраилхошна луш долу канаӀанхойн латта талла шайна юкъара нах бахийта. Шайн дайн тӀаьхьенах долчу хӀора тайпанах цхьацца куьйгалхо вахийта».</verse>
				<verse number="4">Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара, шаьш Паран цӀе йолчу яьссачу арахь долуш Мусас нах бахийтира цу лаьтте хьовса. Уьш берриш а исраилхошна юкъахь коьртанаш бара.</verse>
				<verse number="5">Церан цӀераш хӀорш яра: Раабанан тӀаьхьенах волу Закхуран кӀант ШамуӀ,</verse>
				<verse number="6">ШимӀин тӀаьхьенах волу Хьорин кӀант Шапти,</verse>
				<verse number="7">ЯхӀудан тӀаьхьенах волу Епунин кӀант Килаб,</verse>
				<verse number="8">Иссарханан тӀаьхьенах волу Юсупан кӀант ИгӀал,</verse>
				<verse number="9">Эпрайман тӀаьхьенах волу Нунин кӀант ХӀушаӀ,</verse>
				<verse number="10">Бен-Яманан тӀаьхьенах волу Рапун кӀант Палти,</verse>
				<verse number="11">Забулан тӀаьхьенах волу Содин кӀант Гадиал,</verse>
				<verse number="12">Маннашан тӀаьхьенах волчу Юсупан тайпанах волу Сосин кӀант Гади,</verse>
				<verse number="13">Данан тӀаьхьенах волу Гималин кӀант Ӏамиал,</verse>
				<verse number="14">Ашаран тӀаьхьенах волу Микаалан кӀант Сатур,</verse>
				<verse number="15">Напталан тӀаьхьенах волу Вопсин кӀант Нахьби,</verse>
				<verse number="16">Гадин тӀаьхьенах волу Макин кӀант Гауал.</verse>
				<verse number="17">Иштта яра Мусас латта талла хьажийначу нехан цӀераш. Нунин кӀантана ХӀушаӀана, ЮшаӀ аьлла, цӀе тиллира Мусас.</verse>
				<verse number="18">Шаьш Паран-яьссачу арахь долуш, дӀахьажийра Мусас и нах канаӀанхойн латта муха ду хьажа. Мусас цаьрга элира: «НегӀаб-яьссачу аренгахула а гӀой, лаьмнаш тӀе довла.</verse>
				<verse number="19">Цигара латта муха ду а хьовса, цу тӀехь дехаш долу халкъ муха ду а талла: иза ницкъ болуш ду я дац, дукха ду я кӀезиг ду?</verse>
				<verse number="20">И халкъ дехаш болу мохк муха бу а хьовса: иза хаза бу те я декъаза бу те? Церан гӀаланаш муха ю а хьовса. Халкъ четарш чохь Ӏаш ду я дика чӀагӀйинчу гӀаланаш чохь дехаш ду талла.</verse>
				<verse number="21">Латта муха ду а хьовса: токхе ду я ледара ду? Цигахь дитташ ду я дац хьовса. Даггара гӀерталаш, шаьш юхадоьрзуш цу махкахь кхуьуш болу стоьмаш шайца схьабалаш». (Ткъа иза кемсаша стом луш йолу зама яра.)</verse>
				<verse number="22">Цара, дӀа а бахана, Цин-яьссачу арара дуьйна Хьамат-Ӏинна юххехь йолчу Рахьуб-гӀалина тӀекхаччалц и мохк теллира.</verse>
				<verse number="23">Меттамотт болчуьра дӀа а бахана, НегӀаб цӀе йолчу яьссачу аренгахула чекх а бевлла, Хьеврон-гӀала кхечира уьш. Цигахь бехаш бара Ӏаьнакхан тӀаьхьенах йолу Ахьиманан, Шешайн, Талмайн гаранаш. Ткъа Хьеврон-гӀала яра Мисар-махкарчу ЦоӀан-гӀаланал ворхӀ шо хьалха дӀахӀоттийна.</verse>
				<verse number="24">Уьш Ашкул цӀе йолчу тогӀи чу баьхкира. Цигахь, дӀаса а хьаьжна, кемсийн таьллангана тӀера кемсийн хорха тӀехь йолу га хадийра цара. И га гӀуркхана тӀе дихкира, ткъа гӀуркх шина стага хьалаайина дӀабаьхьира. Иштта наран а, инжиран а диттийн стоьмаш а схьаийцира цара.</verse>
				<verse number="25">Оцу меттигна Ашкул цӀе тиллира, исраилхоша схьаяьккхина кемсийн хорха бахьана долуш.</verse>
				<verse number="26">Уьш, и мохк а теллина, шовзткъа де дӀадаьлча, шайн меттамотт болчу юхабирзира.</verse>
				<verse number="27">Юха а бирзина, Паран-яьссачу арахь йолчу Кхадеш йолчу меттехь Мусана а, АхӀаронна а, дерриге а Исраилан халкъана а тӀебаьхкира уьш. Цара шайна гинчух лаьцна жамӀ а дира, шаьш цу махкара схьабеана стоьмаш а гайтира.</verse>
				<verse number="28">Шайна гинарг а дуьйцуш, цара элира: «Ахьа дӀахьажийначу лаьтта тӀе кхечира тхо. Иза билггал шуьрех а, мазах а дуьзна токхе латта ду, ткъа хӀорш бу цу махкара беана стоьмаш.</verse>
				<verse number="29">Цу махкахь дехаш долу халкъ ницкъ болуш а ду, церан гӀаланаш чӀагӀйина а ю, дикка яккхий а ю. Тхуна-м Ӏаьнакхахой а гира цигахь.</verse>
				<verse number="30">НегӀаб цӀе йолчу яьссачу арахь бехаш бу Ӏамалекхахой. Лаьмнашкахь бехаш бу хьетахой, явсайхой, эмархой, ткъа хӀордан йистехь а, Йордан-хин йистехь а бехаш бу канаӀанхой».</verse>
				<verse number="31">Мусана гонах гулделла халкъ те а деш, Килаба элира: «Вай, даха а дахана, и латта ваьшна схьадоккхур ду, хӀунда аьлча иза вайга схьадаккхалур долуш ду».</verse>
				<verse number="32">Ткъа цуьнца баханчара бохура: «Цу халкъана дуьхьалдовлалур дац вай, хӀунда аьлча иза вайл ницкъ болуш ду!»</verse>
				<verse number="33">Цара массаьрга а дуьйцура исраилхойн ницкъ кхочур бац, цу махкарчу халкъана дуьхьалбовла бохуш. «Тхо хьовсуш чекхдевлла латта шена тӀехь дехаш долу халкъ дӀакхоллуш долу латта ду. Цу махкахь тхуна гина долу дерриге а халкъ ду, дажалийн санна, даккхий догӀмаш долуш.</verse>
				<verse number="34">Цигахь тхуна гира Ӏаьнакхан тӀаьхьенах схьабевлла болу даккхий догӀмаш долу дажалш. Царна хьалха тхаьш цӀоз долуш санна хетара тхуна, церан бӀаьргаш чухула тхо а хетара иштта долуш санна».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="14">
				<verse number="1">Массара а гӀовгӀанаш ехира, буьйса дӀаяллалц доьлхуш Ӏийра халкъ.</verse>
				<verse number="2">Мусана а, АхӀаронна а реза бацара нах. Цара цу шинга бохура: «Мисар-махкахь я кху яьссачу арахь тхо деллехьара!</verse>
				<verse number="3">Везачу Эло тӀамехь дайа далийна тхо кху махка? Тхан зударий а, бераш а мостагӀашна кхочур ду. Мисара юхадахча гӀолехь дацара вайна?»</verse>
				<verse number="4">Уьш шайна юкъахь барт бан хӀиттира: «Ваьшна тӀехь хьаькам а хӀоттийна, Мисар-махка юхадоьрзур ду вай», — бохуш.</verse>
				<verse number="5">Дерриг а Исраилан халкъана хьалха бертал вуьйжира Муса а, АхӀарон а.</verse>
				<verse number="6">Лаьтте хьовса баханчу нахана юкъарчу Нунин кӀанта ЮшаӀа а, Епунин кӀанта Килаба а шайн бедарш этӀийра.</verse>
				<verse number="7">Цара элира цигахь гулбеллачу берриге а нахе: «Тхо хьовсуш чекхдевлла латта вуно чӀогӀа хаза ду.</verse>
				<verse number="8">Нагахь Веза Эла вайна реза велахь, Цо и латта вайна схьалур ду. Шуьрех а, мазах а дуьзна токхе латта ду иза.</verse>
				<verse number="9">Амма Везачу Элана дуьхьал ма довла. Цу махкахь Ӏачу халкъах а ма кхера, цунах вайна ижу хир ю. Уьш ларбан цхьа а вац, ткъа вайца Веза Эла ву. Ма кхера царах!»</verse>
				<verse number="10">ТӀаккха наха маьхьарий хьаькхира: «ТӀулгаш детта царна!» — аьлла. Амма Везачу Элан олаллин нур доьссира Делан четарна тӀе берриг а исраилхошна хьалха.</verse>
				<verse number="11">Везачу Эло Мусага элира: «ХӀара халкъ мел Ӏийр ду Суна дуьхьалдаьлла? Аса шайна гайтинчу тамашийначу билгалонех ца тешаш мел Ӏийр ду иза?</verse>
				<verse number="12">Лен ун а кхетийтина, хӀаллакбийр бу Аса уьш, ткъа хьох а, хьан ден цӀийнах а цул доккха а, нуьцкъала а халкъ кхуллур ду».</verse>
				<verse number="13">Амма Мусас элира Везачу Эле: «Ахьа шайна юкъара Хьайн ницкъаца хӀара халкъ арадаьккхинчу мисархошна хезар ду иза,</verse>
				<verse number="14">тӀаккха цара цу лаьттарчу бахархошка дуьйцур ду. Ткъа цу нахана хезна, Хьо исраилхошна юкъахь ву а, Ахьа Хьо царна юьхь-дуьхьал гойту а, Хьо дийнахь мархин бӀогӀамна юккъехь, буьйсанна цӀеран бӀогӀамна юккъехь вогӀу а аьлла.</verse>
				<verse number="15">Нагахь Ахь исраилхой цхьа стаг санна хӀаллакбахь, Хьан сийлаллех лаьцна хезначу халкъаша эр ду:</verse>
				<verse number="16">„Везачу Эло, Ша лур бу аьллачу махка тӀе а ца дигаделла, яьссачу арахь хӀаллакдина и халкъ“, — аьлла.</verse>
				<verse number="17">Ткъа хӀинца сийлахь хуьлда Хьалдолчу Элан ницкъ! Ахь ма аьлла:</verse>
				<verse number="18">„Веза Эла атта оьгӀаз ца воьдуш а, боккха безам болуш а ву, нехан къиношна а, аьрхаллина а геч а до Цо. Амма Цо бехк таӀзар ца деш а ца буьту. Церан дайша далийтина вон бахьана долуш берашна — кхоалгӀачу а, йоьалгӀачу а тӀаьхьенна тӀекхаччалц — таӀзар до Везачу Эло“.</verse>
				<verse number="19">Хьайн хедар боцучу безамца гечдехьа кху халкъана, Айхьа Мисарара дуьйна кхуза кхаччалц иза схьадалош геч-ма-дарра».</verse>
				<verse number="20">Везачу Эло жоп делира Мусага: «Ахь дехарна гечдо Ас.</verse>
				<verse number="21">Амма дийна волчу Сайх а, Везачу Элан олаллин нуьро дерриг латта дузорах а чӀагӀо йо ас,</verse>
				<verse number="22">Сан олаллин нур а, Ас Мисарахь а, яьссачу арахь а гайтина билгалонаш а гина, уьттазза Со а зийна, Соьга ла ца доьгӀначу нахана,</verse>
				<verse number="23">Ас церан дайшна чӀагӀо ярца дала лерина долу латта гур дац. Со дӀа мел тесначарна а гур дац иза.</verse>
				<verse number="24">Сайна дерриге а дагца тешаме а хилла, Сайн ялхо волу Килаб вуьгур ву Ас ша хьаьжначу лаьтта тӀе, цу нехан йоцу, цӀена ойла цуьнан дагахь хиларна. Цуьнан тӀаьхьенан долахь хир ду Ӏамалекхахой а, канаӀанхой а тогӀи чохь Ӏаш болу латта.</verse>
				<verse number="25">Ӏамалекхахой а, канаӀанхой а тогӀи чохь Ӏаш бу. Кхана, юха а дерзий, яьссачу ара, ЦӀечу хӀорда тӀе, дӀагӀо».</verse>
				<verse number="26">Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира:</verse>
				<verse number="27">«Деха Ӏийр дуй хӀара оьгӀазе халкъ Суна луьйш? Суна хезна кхеран резацахиларх лаьцна.</verse>
				<verse number="28">ДӀаала цаьрга: „Дийна волчу Сайх Аса чӀагӀо йо, — боху Везачу Эло, — аша бохуш долу Сайна хезнарг Аса кхочушдийр ду.</verse>
				<verse number="29">ХӀокху яьссачу арахь оьгур ду шун догӀмаш. Дерриш а шу дагардина ду. Ханна ткъа шарал тӀехдевлларш, Суна луьйш хилларш,</verse>
				<verse number="30">Ас куьг а айина, даха ховшор ду аьллачу лаьтта тӀе шу кхочур дац, Епунин кӀант Килаб а, Нунин кӀант ЮшаӀ а воцург.</verse>
				<verse number="31">Аш мостагӀашна кхочур ду баьхна шун бераш Ас цу лаьтта тӀе дуьгур ду. Шу ца даьшна долчу лаьтта тӀехь уьш дехар ду.</verse>
				<verse number="32">Ткъа шун декъий кху яьссачу арахь оьгур ду.</verse>
				<verse number="33">Шун кӀентий шовзткъа шарахь яьссачу арахь кхелхина лелар бу. Шу массо а делла дӀадовллалц, цара бала ловр бу шун бехкана.</verse>
				<verse number="34">Керлачу лаьтте хьовсуш, аш даьккхинчу шовзткъа денна лерина шовзткъа шарахь шаьш латийна къа бахьана долуш бала хьоьгур бу аш, цхьа шо цхьана дийне а нислуш. ТӀаккха шуна хуур ду, Со шуна дуьхьал хилар хӀун ду.</verse>
				<verse number="35">Ас, Везачу Эло, боху иза, Суна дуьхьалдаьллачу кху зуламечу халкъана Ас ден дерг ду иза. ХӀокху яьссачу арахь берриг а хӀаллакьхир бу уьш“».</verse>
				<verse number="36">Мусас керлачу махках дерг талла бахийтиначара, юха а баьхкина, дерриг а халкъ цунна дуьхьалдаьккхинера, шайна гина мохк емалбеш, цунах вониг дуьйцуш.</verse>
				<verse number="37">И хабарш дийцина нах Везачу Эло, цамгар а кхетийтина, балийтира.</verse>
				<verse number="38">Керлачу махке хьажа баханчу нахах, Нунин кӀант ЮшаӀӀий, Епунин кӀант Килаббий бен, дийна ца висира.</verse>
				<verse number="39">Мусас исраилхошка дийцира иза дерриг а. Халкъ чӀогӀа гӀайгӀане дахана дара.</verse>
				<verse number="40">Ӏуьйранна, хьалххе хьала а гӀевттина, лаьмнашка буьйлабелира нах. Цара бохура: «Тхо гӀалатдевлла, Дала бохучух а ца тешна, тхайгара даьллачунна чӀогӀа дохко а девлла. ХӀинца Везачу Эло лур бу аьллачу махка дӀагӀур ду тхо».</verse>
				<verse number="41">Амма Мусас элира: «Везачу Эло тӀедиллиначуьнга ла хӀунда ца дугӀу аша? ХӀара аша деш дерг эрна ду.</verse>
				<verse number="42">Ма гӀо цига, шаьш мостагӀашка хӀаллак ма дайта, хӀунда аьлча шуна юкъахь Веза Эла вац.</verse>
				<verse number="43">Ӏамалекхахой а, канаӀанхой а бу шуна дуьхьал лаьтташ, цара шу дойур ду, хӀунда аьлча шу Везачу Элах дӀадирзина, Иза шуьца хир вац».</verse>
				<verse number="44">Амма, цуьнга ла а ца доьгӀна, лам тӀе хьалабевлира нах. Муса церан меттамотт болчохь висира, цигахь дитира Везачу Элаца барт баран тӀорказ а.</verse>
				<verse number="45">Цу лаьмнашкахь Ӏаш болчу Ӏамалекхахоша а, канаӀанхоша а, цхьаьна а кхетта, исраилхой, эша а бина, Хьорма цӀе йолчу метте кхаччалц лаьхкина бигира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="15">
				<verse number="1">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="2">«Исраилан халкъе, дӀахьедар а деш, дӀаала: „Аса шуна лун долчу а, шаьш цигахь Ӏийр долчу а лаьтта тӀе шу дахача,</verse>
				<verse number="3">аша цӀера тӀехь доху дийнаташ дагоран я бертан сагӀанаш даха тарло. Аша Везачу Элана сту я ка барца сагӀа даккха тарло, шаьш йина чӀагӀо кхочушхилийтархьама а, я шайн деган лаам кхочушбархьама а, я шайн деза денош даздархьама а. Иза мухха делахь а, даьккхинчу сагӀин хьожа Везачу Элана тамехь хир ю.</verse>
				<verse number="4">Амма ша сагӀина лерина хӀума яхьачу хенахь, стага Везачу Элана лерина кӀен сагӀа а дан деза: хӀинан доьалгӀа дакъа зайтдаьттанах эдина долу бархӀ кад тоьлла кӀен дама.</verse>
				<verse number="5">Дийнаташ дагоран я бертан сагӀа доккхучу хенахь хӀора Ӏахарца цхьаьна хӀинан бараман доьалгӀа дакъа чагӀар кечде, чагӀаран сагӀина лерина.</verse>
				<verse number="6">Ткъа шаьш сагӀина лерина ка балочу хенахь, кӀен сагӀина ялхитта кад кӀен дама а, цунах эдай, хӀинан кхоалгӀа дакъа долу зайтдаьтта а да,</verse>
				<verse number="7">иштта хӀинан кхоалгӀа дакъа долу чагӀаран сагӀа а да. Оцу сагӀанийн хьожа Везачу Элана тамехь хир ю.</verse>
				<verse number="8">Нагахь дийнаташ дагоран сагӀина я бертан сагӀина, я Везачу Элана хьалха йинчу чӀагӀонан сагӀина лерина къона старгӀа ялош елахь,</verse>
				<verse number="9">оцу старгӀица цхьаьна кӀен сагӀа а дан деза: ткъе биъ кад кӀен дама а, цунах эдина хӀинан шолгӀа дакъа зайтдаьтта а.</verse>
				<verse number="10">Иштта хӀинан ахдакъа чагӀар а дан деза чагӀаран сагӀина. Иза цӀера тӀехь дагош долу сагӀа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю.</verse>
				<verse number="11">Иза делаш хӀоразза а шаьш Везачу Элана лерина сагӀина сту а, ка а, Ӏахар я буьхьиг ялочу хенахь.</verse>
				<verse number="12">Иштта сагӀанаш тӀетоха деза аша хӀора дийнатна, церан терахье хьаьжжина.</verse>
				<verse number="13">Иштта гӀуллакх дан деза Исраилан халкъах волчу хӀораммо а, ша, Везачу Элана там а беш, цӀера тӀехь доккху сагӀа доккхучу хенахь.</verse>
				<verse number="14">Нагахь шуна юкъахь вехаш тӀевеана цхьаъ велахь, — кӀезиг ханна я ехачу ханна иза делахь, — ткъа Везачу Элана тамехь йолу хаза хьожа йохуьйту цӀера тӀехь даьккхина сагӀа даккха цунна лаахь, цо а дан деза аша дийрриг.</verse>
				<verse number="15">Халкъан доллу парзаш ду шуна а, шуна тӀевеана Ӏаш волчунна а цхьатерра тӀедехкина. Шуна а, шун мел йолчу тӀаьхьенна а тӀедиллина ду уьш гуттаренна а. Везачу Элана гергахь шу а, шуна тӀебаьхкинарш а — цхьаъ ду.</verse>
				<verse number="16">Цхьатерра товрат-хьехамаш а, тӀедехкинарш а хир ду шуна а, шуна юкъахь вехаш волчу тӀевеанчунна а тӀедехкина“».</verse>
				<verse number="17">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="18">«Исраилан халкъе иштта дӀаала: „Аса шаьш дӀадуьгучу махка шу чудевлча,</verse>
				<verse number="19">цу лаьтто луш долу сурсаташ шаьш дуучу хенахь, цунах цхьа дакъа Везачу Элана лерина сагӀина дӀало.</verse>
				<verse number="20">Хьалхарчу бедах шаьш бепиг доттучу хенахь, цхьа бепиг Везачу Элана лерина сагӀина ло. Иза хьаьттара даьккхина совгӀат хир ду Везачу Элана.</verse>
				<verse number="21">Иза гуттара а дан дезаш долу хӀума ду, цу бедах дакъа Везачу Элана лерина сагӀина дӀало аша а, шун тӀаьхьенаша а.</verse>
				<verse number="22">Ткъа нагахь, ларамаза гӀалат а далийтина, Везачу Эло Мусагахула динчу весетех цхьаъ шуна кхочушдан дицлахь, —</verse>
				<verse number="23">уьш шайна деллачу дийнахь дуьйна шайн хинйолчу тӀаьхьенашна тӀекхаччалц Везачу Эло цуьнгахула деллачу муьлххачу а весетех цхьаъ — аша хӀун дан дезар ду?</verse>
				<verse number="24">Ткъа нагахь халкъо ларамаза а, ца хууш а далийтинехь, дерриг а халкъо Везачу Элана там беш йолу хаза хьожа йохуьйтуш долчу дийнаташ дагоран сагӀина цхьа старгӀа а, тӀедиллина ма-хиллара, цуьнца цхьаьна догӀу кӀен а, чагӀаран а сагӀанаш даха деза. Иштта къинан сагӀина лерина цхьа бож а ян еза</verse>
				<verse number="25">Дерриге а Исраилан халкъана тӀера динан дас къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдан деза. ТӀаккха халкъана гечдийр ду, и гӀалат ларамаза даьлла долу дела а, шегара даьллачу гӀалатана цо Везачу Элана лерина цӀера тӀехь сагӀа а, къинан сагӀа а даьккхина дела а.</verse>
				<verse number="26">Гечдийр ду дерриге а Исраилан халкъана а, царна юкъахь Ӏаш болчу тӀебаьхкинчу нахана а, и гӀалат дерриге а халкъо ларамаза далийтина хиларна.</verse>
				<verse number="27">Нагахь цхьана стага ларамаза къа латадахь, цо къинан сагӀина шо кхаьчна йолу газа ян еза.</verse>
				<verse number="28">Цуьнан къинош дӀадахархьама, ларамаза къа латийначу стагана тӀера динан дас къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдан деза, ткъа цунна гечдийр ду.</verse>
				<verse number="29">Цхьатерра болу товрат-хьехам шуна юкъахь лелар бу Исраил-халкъах схьабевлла болчу бахархошна юкъахь а, тӀебаьхкина Ӏаш болчарна а, нагахь цара, ца хууш гӀалат а бевлла, къа латадахь.</verse>
				<verse number="30">Исраилхойх я тӀебаьхкина Ӏаш болчу нахах цхьаммо, ша аьрха хиларна, къа латадахь, цо Веза Эла емалво. И стаг шен къомана юкъара дӀаваккха везаш ву,</verse>
				<verse number="31">хӀунда аьлча цо Везачу Элан дош а ца лерина, Цуьнан весет а дохийна. Иза билггал шен къомана юкъара дӀа а воккхур ву, иштта ша латийначу къинна жоьпе а озор ву“».</verse>
				<verse number="32">Исраилхой яьссачу арахь болчу хенахь, шоьтан садоӀучу дийнахь царна юкъара цхьа стаг дечиг схьагулдеш гира.</verse>
				<verse number="33">Дечиг гулдеш хилла волу и стаг карийначара Мусана а, АхӀаронна а, дерриге а халкъана а тӀевалийра иза.</verse>
				<verse number="34">И стаг набахти чохь сацийра, цунна хӀун дан деза билгалдаьккхина цахилар бахьана долуш.</verse>
				<verse number="35">Везачу Эло Мусага элира: «И стаг вала веза. Меттамотт болчуьра арахьа а ваккхий, дерриге а халкъе цунна тӀе тӀулгаш кхиссийта».</verse>
				<verse number="36">Меттамотт болчуьра ара а ваьккхина, дерриге а халкъо цунна тӀе тӀулгаш кхиссира, Везачу Эло Мусага ма-аллара, тӀаккха иза велира.</verse>
				<verse number="37">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="38">«Исраилан халкъе дӀахьедар де, цара шайн тӀеюхучу хӀуманийн маьӀигашна тӀехь чечакхаш яха еза алий. Ткъа маьӀигашна тӀехь йолчу оцу чечакхашна чу сийна эханг юкъадахийта ала. Изза дан деза ерриге а тӀекхуьучу тӀаьхьенаша а.</verse>
				<verse number="39">И чечакхаш шуна дӀагича, уьш хир ю, Везачу Элан дерриге а весеташ дага а даьхкина, уьш шуьга кхочушдайтархьама а, Соьгахьара шу дӀадерзош болчу шайн дегнийн а, бӀаьргийн а лаамашна тӀаьхьа шу ца хӀиттийтархьама а.</verse>
				<verse number="40">Иза иштта дан деза, Сан дерриге а весеташ дага а дохкуьйтуш, шуьга уьш кхочушдайтархьама а, шу шайн Далла гергахь дӀакъастийна хилийтархьама а.</verse>
				<verse number="41">Со ву шун Веза Дела, шун Дела хилархьама, шу Мисар-махкара арадаьхна волу. Со ву шун Веза Дела».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="16">
				<verse number="1">Левин тӀаьхьенах волчу КхахӀатан кӀентан Ицхьаран кӀант Кхорахь а, Раабанан тӀаьхьенах волчу Элиабан кӀентий Датан а, Абирам а, иштта ПелатӀан кӀант Ана а</verse>
				<verse number="2">Мусана дуьхьалвелира. Цаьрца цхьаьна ши бӀе шовзткъе итт цӀеяхана волу а, халкъан баьчча волу а, гуламехь хаьржина волу а исраилхо хилла.</verse>
				<verse number="3">Цара, Мусана а, АхӀаронна а дуьхьал гулам а гулбина, элира: «Тоьар ду шуна: дерриг а халкъ ду даздина, цунна юкъахь Веза Эла а ву! Ткъа шуна хӀунда хета те шаьш Везачу Элан халкъал а лакхара?»</verse>
				<verse number="4">Шена и дӀахезча, Муса бертал охьавуьйжира.</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха цо Кхорахье а, цуьнца болчу массаьрга а элира: «Везачу Эло кхана гойтур ду, Шен верг мила ву а, вазвинарг мила ву а, иза Шена тӀеозорхьама. Цо Ша схьахаьржжинарг Шена тӀеозор ву.</verse>
				<verse number="6">Амма хӀара гӀуллакх де Кхорахьа а, цуьнца мел волчо а. Богуш болу кӀора дӀасакхоьхьу нойш шайн кара схьаэца.</verse>
				<verse number="7">Кхана Везачу Элана хьалха цу чу цӀе а латаяй, хаза хьожа йогӀу сегӀаз цу чу дилла. ТӀаккха Везачу Эло Шен везаниг санна волу схьахаьржинарг мила ву хуур ду. Тоьар ду шуна, левихой!»</verse>
				<verse number="8">Кхорахье Мусас элира: «ЛадогӀа соьга, левихой!</verse>
				<verse number="9">Исраилан Дала шу, Исраилан халкъах дӀа а къастийна, Шена тӀеозийна, Везачу Элан четарца доьзна долу гӀуллакх шуьга кхочушдайтархьама а, шу Везачу Элан халкъана хьалха а лаьтташ, шуьга царна гӀуллакх дайтархьама а. Иза кӀезиг хета те шуна?</verse>
				<verse number="10">Цо хьо а, хьоьца цхьаьна Левин кӀентий болу хьан берриге вежарий а Шена тӀеозийна, ткъа хӀинца динан дайн дарже кхача гӀерташ ма ду шу!</verse>
				<verse number="11">Иштта, хьо а, хьан дерриге халкъ а, схьа а гулделла, Везачу Элана дуьхьал ма даьлла. Ткъа АхӀарон мила ву, аша цунна яппарш ян?»</verse>
				<verse number="12">Элиабан кӀентий Датанний, Абираммий шена тӀебалабе аьлла, нах бахийтира Мусас. Амма цара элира: «Хьуна тӀе догӀур дац тхо!</verse>
				<verse number="13">Яьссачу арахь хӀаллакдархьама, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу махкара айхьа тхо арадахар кӀезиг хета те хьуна? Тхуна тӀехь олалла дан а лаьа хьуна?</verse>
				<verse number="14">Тхо шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тӀе ца далийна ахь, иштта тхан дола аренаш а, кемсийн бошмаш а ца яьхна ахь. Кху нехан бӀаьрса дайа воллу хьо? Ца догӀу тхо хьуна тӀе!»</verse>
				<verse number="15">Муса чӀогӀа оьгӀазвахара. Цо Везачу Эле элира: «Цара Хьайна сагӀина лерина дахьачу хӀумане дӀа ма хьажахь. Аса-х цаьргара цхьаьнггара а вир а схьа ца яьккхинера, царах цхьанна а зулам а ца динера».</verse>
				<verse number="16">Мусас Кхорахье элира: «Кхана хьо а, хьан нах а Везачу Элана хьалха дӀахӀитталаш. Хьо а, уьш а, АхӀарон а.</verse>
				<verse number="17">Аша хӀораммо а, богуш болу кӀора дӀасабахьа шен-шен ной схьа а эций, цу чу хаза хьожа йогӀу сегӀаз а тасий, уьш Везачу Элана хьалха дӀахӀиттаелаш — ши бӀе шовзткъе итт ной. Ахьа а, АхӀарона а шайн нойш Везачу Элана хьалха дӀахӀитто еза».</verse>
				<verse number="18">ХӀораммо а богуш болу кӀора дӀасабахьа шен-шен ной схьа а эцна, цу чу алу а йиллина, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чу тесира. Гуламан четар чу волучохь дӀахӀиттира уьш Мусаца а, АхӀаронца а цхьаьна.</verse>
				<verse number="19">Кхорахьа шен нах, схьа а гулбина, гуламан четарна чуволучохь, царна дуьххьал дӀахӀиттийча, дерриге а халкъана Везачу Элан сийлалла гучуелира.</verse>
				<verse number="20">Мусага а, АхӀароне а Везачу Эло элира:</verse>
				<verse number="21">«Шу оцу халкъах дӀакъаста, бӀаьрган негӀар тохале Соьга уьш хӀаллакбайтархьама».</verse>
				<verse number="22">Ткъа цара, бертал охьа а эгна, элира: «Дела! Муьлххачу а дегӀана чохь долчу синан Дела! Цхьана стага къа латийна хилча, Хьо дерриге а халкъана оьгӀазгӀур ву те?»</verse>
				<verse number="23">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="24">«Халкъе дӀаала: „Кхорахь, Датан, Абирам вехачу хӀусамашна гонах йолчу меттера дӀадовла“».</verse>
				<verse number="25">Муса, хьала а гӀаьттина, Датанна а, Абирамна а тӀевахара, цунна тӀаьххье исраилхойн къаной а бахара.</verse>
				<verse number="26">Халкъе Мусас элира: «ХӀокху зуламечу нехан четаршна юххера дӀа а довла, церан долахь йолчу цхьана а хӀуманах хьакха а ма ло, шаьш а церан дерриге а къинош бахьана долуш ца далийтархьама».</verse>
				<verse number="27">Уьш Кхорахьан, Датанан, Абираман четаршна гонах йолчу меттера дӀабевлира. Ткъа Датан а, Абирам а шайн зударшца, кӀенташца, кегийчу берашца, ара а бевлла, шайн четаршна чуволлучохь лаьтташ бара.</verse>
				<verse number="28">Мусас элира: «ХӀинца хӀокхунах хуур ду шуна Везачу Эло со и дерриге а гӀуллакхаш кхочушдан къобалвина хилар, ткъа уьш аса сайн лаамца деш ца хилар а:</verse>
				<verse number="29">нагахь санна церан массо а адамийн санна балар нислахь, церан кхоллам кхидолчу адамийн санна хилахь, со Везачу Эло ваийтина вац-кх.</verse>
				<verse number="30">Ткъа нагахь санна Везачу Эло цхьа керла хӀума дахь, нагахь лаьтто, бага дӀа а гӀаттийна, уьш а, церан долахь мел долу хӀума дӀа а кхаллахь, нагахь уьш дийна боллушехь эхарте а гӀахь, тӀаккха хаалаш, оцу нахана Веза Эла дола хетийла».</verse>
				<verse number="31">Муса и дешнаш аьлла ма-велли, царна бухара латта дӀасадекъаделира.</verse>
				<verse number="32">Лаьтто и нах, церан хӀусамаш, Кхорахьан берриге а нах, церан долахь мел долу хӀума а дӀаийцира.</verse>
				<verse number="33">Шайн долахь мел хиллачу хӀуманца, дийна боллушехь, лаьттан кийра а бахана, эхарта чу бахара уьш. Лаьтто дӀахьулбира уьш. Халкъана юкъара, хӀаллак а хилла, дӀабевлира уьш.</verse>
				<verse number="34">Царна гонах хилла болу исраилхой, хӀокхара маьхьарий хьаькхча, дӀабевдира. Кхайкха а кхойкхуш, цара доьхура: «Тхо а лаьтто дӀа ма кхоллийла!» — бохуш.</verse>
				<verse number="35">Везачу Элера цӀе йоьссира, цо дӀакхаьллира хаза хьожа йогӀучу сегӀазан сагӀа доккхуш волу ши бӀе шовзткъе итт стаг.</verse>
				<verse number="36">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="37">«Динан да волчу АхӀаронан кӀанте ЭлиӀазаре дӀаала: „Багийначу нехан карахь хилла йолу нойш схьагулъе, хӀунда аьлча и нойш язйина ю. Царна чуьра богуш болу кӀоранаш кхиссий дӀабахийта.</verse>
				<verse number="38">Шаьш латийначу къинна мах баларца беллачийн нойх лаьцна аьлча, уьш йоха а яй, шар а яй, царах йина юткъа экъанаш сагӀа доккхучу кхерчана тӀелаца, хӀунда аьлча и нойш Везачу Элана хьалха еана яра, цундела уьш язйинера. Уьш Исраилан халкъана билгалонна хир ю“».</verse>
				<verse number="39">Багийначу наха еана йолу и цӀестан нойш динан дас ЭлиӀазара схьаийцира. Уьш, йоха а йина, шар а йина, кхерчана тӀейилла кечйира цара, Исраилан халкъана билгалонна хилийтархьама,</verse>
				<verse number="40">Везачу Эло цуьнга Мусагахула аьлла ма-хиллара. Иза динера АхӀаронан хӀух воцучу цхьана а стаге Везачу Элана хьалха хаза хьожа йогӀу сегӀаз дагадайтархьама, Кхорахьна а, цуьнан нахана а хилларг шена ца хилийтархьама.</verse>
				<verse number="41">ШолгӀачу дийнахь дерриге а Исраилан халкъ Мусана а, АхӀаронна а реза доцуш дӀахӀоьттира. Цара бохура: «Аша хӀаллакдина Везачу Элан халкъ».</verse>
				<verse number="42">Мусана а, АхӀаронна а дуьхьалдаьлла долу дерриге а халкъ гулделлачу хенахь, уьш гуламан четар долчу агӀор дӀабирзича, царна гира четарна тӀехула дӀахӀоьттина марха. Везачу Элан олаллин нур гучуделира.</verse>
				<verse number="43">Муса а, АхӀарон а гуламан четарна нийсса хьалха агӀор тӀевахара.</verse>
				<verse number="44">Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира:</verse>
				<verse number="45">«ДӀа а хилий, оцу халкъах дӀакъаста, бӀаьрган негӀар а тохале Соьга иза хӀаллакдайтархьама». Ткъа и шиъ бертал охьавуьйжира.</verse>
				<verse number="46">Мусас АхӀароне элира: «Хьайн ной схьа а эцна, цу чу хаза хьожа йогӀу сегӀаз а, кхерча чуьра богуш болу кӀора а биллина, сихонца халкъана тӀе а вахана, ахьа царна тӀера къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдан деза, хӀунда аьлча Везачу Элера оьгӀазло схьаяьлла, халкъана цамгаран ун кхетийтина».</verse>
				<verse number="47">Шега Мусас ма-аллара, ной схьа а эцна, халкъана юкъа ведира АхӀарон. Ткъа халкъана юкъахь цамгаран ун доладелира. Хаза хьожа йогӀу сегӀаз а дагош, царна тӀера къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдора АхӀарона.</verse>
				<verse number="48">АхӀарон беллачарна а, дийна болчарна а юккъе дӀахӀоьттира — цамгаран ун сецира.</verse>
				<verse number="49">Кхорахьа динарг бахьана долуш белларш боцурш, цамгаран ун бахьана долуш велларг верриг а вейтта эзар ворхӀ бӀе стаг вара.</verse>
				<verse number="50">Цамгаран ун сецначул тӀаьхьа АхӀарон гуламан четарна чу волучу метте Мусана тӀе юхавирзира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="17">
				<verse number="1">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="2">«Исраилан халкъе дӀа а алий, церан тайпанашка хьаьжжина, шийтта Ӏаса схьаэца, хӀора тайпанан куьйгалхочуьнгара цхьацца Ӏаса. Церан хӀораннан цӀе шен Ӏасанна тӀе дӀаязъе.</verse>
				<verse number="3">АхӀаронан цӀе Левин тайпанан Ӏасан тӀе дӀаязъе. ХӀора тайпанан куьйгалхочо шайн тайпанах цхьацца Ӏаса схьаян еза.</verse>
				<verse number="4">И Ӏасанаш гуламан четар чуьра тоьшаллин тӀорказна хьалха охьаяхка, Со шуна юкъахь хуьлучу метте.</verse>
				<verse number="5">Шуна юкъара Аса схьахаьржинчу стеган Ӏасано заза доккхур ду. Иштта сацор ю Аса исраилхоша шуна дуьхьал еш йолу хамталлаш».</verse>
				<verse number="6">Мусас Исраилан халкъе дӀахаийтира иза. Куьйгалхоша шийтта Ӏаса схьаеара, хӀора тайпанан куьйгалхочуьнгара цхьацца Ӏаса, церан тайпанашка хьаьжжина. Царна юкъахь АхӀаронан Ӏаса а яра.</verse>
				<verse number="7">Мусас тоьшаллин четар чу, Везачу Элана хьалха, охьаехкира и Ӏасанаш.</verse>
				<verse number="8">ШолгӀачу дийнахь Муса тоьшаллин четар чу ваьлча, цунна, хьаьжча, Левин тайпанца йоьзна йолчу АхӀаронан Ӏасано, заза а даьккхина, чӀенгаш тесна хилар гира. Ур-атталла, тӀе зезагаш а даьлла, миндал олу, бӀаран тайпа болу, стом беллера цо.</verse>
				<verse number="9">Ерриге а Ӏасанаш, Везачу Элана хьалха йолчу меттера ара а яьхна, Исраилан халкъе дӀагайтира Мусас. Массо а адам оцу Ӏасанашка хьаьжира, ткъа хӀора куьйгалхочо шен Ӏаса дӀаийцира.</verse>
				<verse number="10">Везачу Эло Мусага элира: «АхӀаронан Ӏаса, чу а хьой, юха а тоьшаллин тӀорказна хьалха охьайилла. Иза хамталлаш еш болчарна билгалонна хир ю, церан Суна резацахилар сацорхьама а, уьш ца балийтархьама а».</verse>
				<verse number="11">Везачу Эло шена тӀедиллина ма-хиллара, Мусас иза кхочушдира.</verse>
				<verse number="12">Исраилан халкъо Мусага элира: «Тхуна хаьа, тхаьш лийр дуйла! Тхо хӀаллакьхилла! Тхуна хаьа, тхо хӀаллакдийр дуйла!</verse>
				<verse number="13">Везачу Элан четарна тӀе мел ваханарг леш ву! Тхо дерриш а дала дезар ду те?»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="18">
				<verse number="1">Везачу Эло АхӀароне элира: «Хьо а, хьан кӀентий а, массо а левихой а жоьпе озор бу, Со Ӏаш волчу меттигна дуьхьал аша дина Ӏеса хӀуманаш бахьанехь. Ткъа ахьа а, хьан кӀенташа а жоп дала дезар ду динан дайша дечу гӀуллакхна дуьхьал дечу Ӏесаллина.</verse>
				<verse number="2">Иштта хьан дайн тӀаьхьенах болу, хьан вежарий болу левихой схьабалабе хьайна юххе, цаьрга, хьайна юххехь а болуш, тоьшаллин четарна хьалха хьайна а, хьайн кӀенташна а гӀо дайтархьама.</verse>
				<verse number="3">Левихойн доьзалшкара болу и нах хьан куьйга кӀел хир бу. Цара массо а Делан четарна уллохь ха дийр ду. Амма Делан цӀа чохь йолчу цхьана а хӀуманна а, кхерчана а уьш юххе ма бахийта, я уьш а, я шу а ца далийтархьама.</verse>
				<verse number="4">Уьш хьайца а болуш, цаьрга гуламан четарна уллохь ха дайтархьама а, четарца доьзна долу дерриге а гӀуллакхаш кхочушдайтархьама а. Ткъа царах воцу цхьа а стаг шайна тӀе а ма ваийта.</verse>
				<verse number="5">Иштта, еза хӀуманаш лар а е, сагӀа доккхучу кхерчана уллохь ха а де, Со Исраилан халкъана кхин оьгӀаз ца вахийтархьама.</verse>
				<verse number="6">Аса Исраилан халкъана юкъара схьахаьржина шун вежарий болу левихой. СовгӀат санна, уьш хьан кара дӀабелира Ас, цаьрга гуламан четарца доьзна долу гӀуллакх кхочушдайтархьама.</verse>
				<verse number="7">АхӀарон! Хьан а, хьан кӀентийн а бен бакъо яц динан дайн санна, сагӀа доккхучу кхерчаца а, кирхьанна тӀехьа долчуьнца а доьзна долу гӀуллакх дан. Аса динан дай болчу шуна цхьа беза болх кхочушбан бакъо ло, ткъа шух воцург и гӀуллакхаш кхочушдан дагахь цхьаъ тӀегӀортахь, иза вуьйр ву».</verse>
				<verse number="8">Везачу Эло АхӀароне элира: «Аса-Айса хьан кара дӀаделла Суна лерина деана совгӀаташ. Исраилхоша Суна яхьаш йолу массо а еза хӀуманаш Аса гуттаренна а хьуна а, хьан кӀенташна а шуна кхачош долу шатайпа дакъа санна дӀало.</verse>
				<verse number="9">Халкъо Суна сагӀина лерина еанчу уггар езачу хӀуманех дага ца деш дисина дакъа хьан хир ду. Цара сагӀина мел деанчух — кӀен а, я къинан а, я къера хиларан а сагӀина деанчух — и дакъа хьуна а, хьан кӀенташна а кхачош дерг ду.</verse>
				<verse number="10">Уггар езачу меттехь яалаш иза. Хьан доьзалера волчу массо а боьршачу стага даа мегар ду и дакъа, амма дагахь латтаделахь — сагӀина лерина деанарг деза хӀума хилар.</verse>
				<verse number="11">Исраилан халкъо, хьала а айина, шатайпа сагӀа санна, Суна лерина деана совгӀаташ а дерриг а хьан хир ду. Иза Аса хьуна а, хьан кӀенташна а, йоӀаршна а гуттаренна а дӀало. Хьан доьзалехь цӀена волчу хӀораммо а даа мегар ду иза.</verse>
				<verse number="12">Иштта, уггаре а тоьлла долу дерриге а зайтдаьтта а, дерриге а керла даьккхина долу чагӀар а, Суна, Везачу Элана, лерина халкъо дахьаш долу кӀа а, цо дуьххьара схьагулдечу сурсатех деанарг а Аса хьуна дӀало.</verse>
				<verse number="13">Хьан хир ду Везачу Элана лерина халкъо дохьун долу, лаьтто цунна дуьххьара делла массо а сурсаташ. Хьан доьзалехь цӀена мел волчун а бакъо ю иза даа.</verse>
				<verse number="14">Исраилхоша гуттаренна а Везачу Элана болу дӀа ца боьрзу бахам санна къобал мел динарг хьан хир ду.</verse>
				<verse number="15">Везачу Элана лерина веана волу дуьнен чу хьалха ваьлла массо доьзалхо а, хьалха дуьнен чу даьлла даьхни а хьан хир ду. Делахь а доьзалера дуьххьарлерчу берах а, хьаналчу даьхнех хьалха дуьнен чу даьллачух а мах схьаэца беза ахь.</verse>
				<verse number="16">Беран цхьа бутт кхаьчча бала безар бу цунна тӀера луш болу мах. Цуьнан барам пхи шекхал дети бу, дезачу шекхале хьаьжжина (цхьана дезачу шекхална чу ткъа гер догӀу).</verse>
				<verse number="17">Ткъа дуьнен чу дуьххьара девллачу стерчашна а, уьстагӀашна а, гезаршна а тӀера мах ма баккха. Уьш Везачу Элана дӀакъастийна ю. Церан цӀийн цинцаш кхерчана тӀетоха, ткъа мохь цӀера тӀехь даьккхина сагӀа санна ягае, цуьнан хаза хьожа Везачу Элана тамехь ю.</verse>
				<verse number="18">Оцу дийнатийн жижиг хьуна кхачош ду, шатайпа сагӀа санна хьалаайина долчу церан накха а, аьтту гӀогӀ а хьуна кхачош ма-хиллара.</verse>
				<verse number="19">Аса, Везачу Эло, хьуна а, хьан кӀенташна а, йоӀаршна а гуттаренна а дӀало исраилхоша Суна сагӀина лерина дахьаш долу дерриг а совгӀаташ. Иза туьхана тӀехь чӀагӀбина болу, цкъа а бохор боцу хьоьца а, хьан тӀаьхьенца а Аса бина болу барт бу».</verse>
				<verse number="20">Везачу Эло АхӀароне элира: «Церан долчух цхьа а тайпа лаьттан дакъа а хир дац хьан, цигахь латта а хир дац хьан долахь. Лаьттан декъан метта Со хир ву хьан, исраилхошна юкъара хьан дакъа хир ду Со.</verse>
				<verse number="21">Халкъо ша схьадаьккхинчух Суна схьалуш долу дерриге а уьтталгӀа дакъош Аса левихошна дӀало, цара гуламан четарца доьзна долу гӀуллакх деш хиларна.</verse>
				<verse number="22">ХӀинца дуьйна Исраилан халкъ гуламан четарна юххе даха ца деза, ша, къилахь а хилла, ца далийтархьама.</verse>
				<verse number="23">Гуламан четарца доьзна долу гӀуллакх левихоша дийр ду, ткъа цара жоп дала деза муьлххачу а четарна дуьхьал даьллачу зуламах. Иза шуна а, шун тӀаьхьенна а гуттаренна а тӀедиллина ду. Исраилхошна юкъахь лаьттан дакъа кхочур дац левихошна,</verse>
				<verse number="24">хӀунда аьлча Исраилан халкъо ша схьадаьккхинчух Суна лерина дӀалуш долу уьтталгӀа дакъа Аса царна кхочуьйтур ду. Цундела царах лаьцна Аса аьлла: „Исраилхошна юкъахь лаьттан дакъа кхочур дац царна“».</verse>
				<verse number="25">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="26">«Левихошка, дӀахьедар а деш, дӀаала: „Аса шайна кхачийтина долчу нахера схьадаьккхинчух уьтталгӀа дакъа исраилхошкара шаьш схьаэцча, цунах уьтталгӀа дакъа аша Везачу Элана совгӀат санна дӀадала деза.</verse>
				<verse number="27">Аша дӀалуш долу и совгӀат шун ялтих даьккхинарг санна лорур ду — шун хьаьттах долу кӀа я шун муттдоккхургах даьккхина чагӀар санна.</verse>
				<verse number="28">Иштта, исраилхойн массо а уьтталгӀачу дакъойх аша а Везачу Элана совгӀат дахьар ду. Наха схьадеанчу оцу дакъойх Везачу Элана лерина долу совгӀат динан дега АхӀароне дӀадала деза аша.</verse>
				<verse number="29">Исраилан халкъо шаьш схьадаьккхинчух уьтталгӀа дакъа деача, аша цунах тоьлла а, уггар даздина а дерг схьакъасто деза. Иза аша Везачу Элана лерина дӀадала дезаш дерг хир ду“.</verse>
				<verse number="30">Муса! Ахьа левихошка иштта дӀаала: „Исраилан халкъо шаьш схьадаьккхинчух деана уьтталгӀа дакъа аша Везачу Элана дӀаделлачул тӀаьхьа, царах дисинарг левихошна лерина ду, хьаьттах а, муттдоккхургах а цара схьадаьккхинарг санна.</verse>
				<verse number="31">Дисинарг аша шайн доьзалшца даа мегар ду муьлххачу а меттехь. Гуламан четарца боьзна болчу балхах шуна луш болу мах бу иза.</verse>
				<verse number="32">Шайна деанчух тоьлла долу дакъа аша Везачу Элана лерина дӀалахь, шу къилахь хир дац. Делахь а, дагахь латтаделаш, Исраилан халкъо деана деза совгӀаташ Далла хьалха бех ма делаш, шаьш ца далийтархьама“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="19">
				<verse number="1">Мусага а, АхӀароне а Везачу Эло элира:</verse>
				<verse number="2">«Везачу Эло шуна тӀедуьллуш долу товрат-хьехамна тӀера парзаш хӀорш ду: исраилхошка хьайна тӀе хьаьрса етт балабайта. Шена тӀехь цхьа а кхачамбацар я дерт доцуш, цкъа а тӀе дукъ диллаза а болуш хила беза иза.</verse>
				<verse number="3">Динан да волчу ЭлиӀазаре дӀало и етт. Цо, иза меттаматтана арахьа йолчу метте а бигна, шена хьалхахь цунна урс хьокхуьйтур ду.</verse>
				<verse number="4">Динан дега ЭлиӀазаре, шен пӀелг цу аьттан цӀий чу а Ӏоттийтий, цуьнан цинцаш ворхӀазза гуламан четаран хьалха агӀор тӀе тохийта.</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха, ЭлиӀазар юххехь а волуш, и етт берриге а багабайта. Цуьнан цӀока а, жижиг а, цӀий а, боьхаллаш а — уьш ерриш а яго еза.</verse>
				<verse number="6">Цул тӀаьхьа динан дас, баганан дечиг а, ярийн курс а, цӀен тай а схьа а эцна, и ерриг а хӀума етт багочу цӀерга кхосса еза.</verse>
				<verse number="7">Шена тӀера хӀума а йиттина, шен дегӀ хица цӀан а дина, меттамотт болчу юхаверза веза динан да. Иза сарралц Далла хьалха цӀена хир вац.</verse>
				<verse number="8">И етт багош хиллачо а шена тӀера хӀума а юьттуш, шен дегӀ хица цӀандан деза. Иза а сарралц Далла хьалха цӀена хир вац.</verse>
				<verse number="9">ЦӀена болчех цхьаммо, цу аьттан чим, схьа а гулбина, цӀеначу метте охьабилла беза. Исраилан халкъан дуьхьа латтор бу и чим, цунах цӀандаран хи кечдархьама. И чим къинан сагӀа лоруш ду.</verse>
				<verse number="10">Цу аттах бисина чим дӀагулбинарг а цӀанвала веза, шена тӀера бедарш а йиттина. Сарралц Далла хьалха цӀена хир вац иза. Исраилан халкъана а, цунна юкъахь тӀебаьхкина Ӏаш болчарна а гуттаренна а тӀедиллина ду иза.</verse>
				<verse number="11">Адаман докъах хьакхавелларг ворхӀ дийнахь Далла хьалха цӀена хир вац.</verse>
				<verse number="12">КхозлагӀчу а, ворхӀалгӀачу а деношкахь цӀандаран хица тӀехьарсийта деза цо. ТӀаккха иза Далла хьалха цӀена хир ву. Ткъа ша кхозлагӀчу а, ворхӀалгӀачу а дийнахь цӀан ца вайтинарг цӀена хир вац.</verse>
				<verse number="13">Докъах хьакха а велла, цӀано яран Ӏадат кхочуш а ца деш, Везачу Элан четарна юххе ваханчу муьлххачо а иза бехдийр ду. Цу тайпана волу стаг Исраилан халкъана юкъара дӀаэккхо веза. ЦӀандаран хин цинцаш оцу стагана тӀе ца тоьхна дела, иза Далла хьалха цӀена хир вац, цуьнан цӀена цахилар цунна тӀехь дуьсур ду.</verse>
				<verse number="14">Шен четар чохь веллачух лаьцна болу товрат-хьехам иштта бу. Нагахь санна стаг шен четар чохь дӀакхалхахь, цу чохь мел верг ворхӀ дийнахь боьха хир ву.</verse>
				<verse number="15">Иштта боьха хир ю шайна тӀехь негӀарш чӀагӀдина йоцу ерриге а кхабанаш а, пхьегӀаш а.</verse>
				<verse number="16">ТӀамехь вен а вийна, аренгахь Ӏуьллучух я Ӏожалла тӀееанчух, я деллачу адаман даьӀахкех, я кошах дӀахьакхавелларг муьлхха а ворхӀ дийнахь цӀена хир вац.</verse>
				<verse number="17">ЦӀена цахилар дӀадаккхархьама, аша, багийначу аьттан чим схьа а эцна, кхаби чу а тесна, цу тӀе керла хи дотта деза.</verse>
				<verse number="18">Ткъа цӀена болчех цхьаммо, ярийн курс а эцна, иза цу хи чу а Ӏоьттина, четар тӀе а, цу чохь хиллачу пхьегӀашна а, адамашна а тӀе а хин цинцаш тоха деза. Изза дан деза деллачу адаман даьӀахкех, я тӀамехь вийначух, я ша дӀакхелхинчух, я кошах дӀахьакхавеллачу муьлххачунна а.</verse>
				<verse number="19">Ша цӀена волчо Далла хьалха цӀена воцучунна кхозлагӀчу а, ворхӀалгӀачу а дийнахь оцу хин цинцаш тоха деза. ВорхӀалгӀачу дийнахь цо и стаг цӀанвинчул тӀаьхьа, цу стага хица шен бедарш йитта а еза, шен дегӀ цӀандан а деза. Сарахь иза Далла хьалха цӀена хир ву.</verse>
				<verse number="20">Ткъа нагахь Далла хьалха бехвеллачу стага ша иштта цӀан ца вайтахь, и стаг Исраилан халкъана юкъара дӀаэккхо веза, Дела Ӏаш волу меттиг цо бехйина дела. ЦӀанваларан хин цинцаш цунна тӀе ца тохарна, иза Далла хьалха цӀена вац.</verse>
				<verse number="21">Иза шуна гуттаренна а тӀедиллина ду. ЦӀанваларан хин цинцаш тӀетоьхначо шен тӀеюху бедарш йитта еза. Муьлхха а цӀанваларан хих хьакхавелларг сарралц боьха хир ву.</verse>
				<verse number="22">Иштта верг хьакхавелла йолу ерриг хӀума а боьха хир ю. Иза дӀахьакхавелла волу кхин стаг а сарралц боьха хир ву».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="20">
				<verse number="1">Хьалхарчу баттахь берриг а исраилхой, Цин цӀе йолчу яьссачу ара а баьхкина, Кхадеш олучу меттехь севцира. Цу меттехь Марем кхелхира, цигахь иза дӀа а йоьллира.</verse>
				<verse number="2">Цигахь хи дацара, цундела нах, Мусана а, АхӀаронна а гонах гул а белла,</verse>
				<verse number="3">Мусана резабоцуш хамталлаш ян буьйлабелира: «Везачу Элана хьалха тхо а деллехьара, белла тхайн вежарий санна!</verse>
				<verse number="4">Везачу Элан халкъ кху яьссачу ара хӀунда далийна аша? Тхо а, тхан даьхни а дала деза кхузахь?</verse>
				<verse number="5">ХӀунда даьхна аша тхо Мисарара ара? Кху вочу метте стенна далийна аша тхо? Кхузахь ден ялта а дац, я инжир а, кемсаш а, нараш а яц, ур-атталла мала хи а дац!»</verse>
				<verse number="6">Халкъ долчуьра дӀа а вахана, Делан четарна хьалха бертал вуьйжира Муса а, АхӀарон а. Везачу Элан олаллин нур хӀоьттира царна хьалха.</verse>
				<verse number="7">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="8">«Хьайн Ӏаса схьа а эций, ахьа а, АхӀарона а халкъ схьагулде. Аша нахана хьалха тӀулган тархе деха, тӀаккха цо шена чуьра хи лур ду. Иштта ахь, царна хи а даьккхина, иза нахана а, даьхнина а малор ду».</verse>
				<verse number="9">Веза Эла волчуьра, тӀорказна уллора, Ӏаса схьаийцира Мусас, Цо шена тӀе-ма-диллара.</verse>
				<verse number="10">Мусас а, АхӀарона а тархана хьалха халкъ гулдира. Мусас элира нахе: «ЛадогӀа, карзахдаьлла халкъ! ХӀокху тархах даккхий ас шуна хи?»</verse>
				<verse number="11">Шен куьг хьала а айина, тархах шозза Ӏаса туьйхира цо. Дуккха а хи доладелира цу тархах. Наха а, даьхнино а мелира иза.</verse>
				<verse number="12">Амма Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: «Исраилан халкъана хьалха Сан возаллех тоьшалла дан шу тешар ца тоарна, Ас лун долчу лаьтта тӀе аш халкъ дуьгур дац».</verse>
				<verse number="13">Оцу хи даьккхинчу меттигах Мериба олу (иза «къовсам» бохург ду). Кхузахь исраилхой Везачу Элаца къовсаме а бевлла, Цо Шен возалла гайтина царна.</verse>
				<verse number="14">Кхадешера Эдоман паччахьна тӀе дехар эцна шен нах бахийтира Мусас: «Хьан вежарша, исраилхоша, боху хьоьга: „Хьуна хаьа тхуна хилла бохамаш.</verse>
				<verse number="15">Тхан дай Мисар-махка дӀабаханера. Дуккха а хан яьккхира оха цигахь. Тхан дайшца а, тхоьца а къиза бара мисархой.</verse>
				<verse number="16">Везачу Эле тхо кхайкхича, Цунна хезира оха доьхург. Шен Малик а даийтина, Мисарара тхо арадехира Цо. ХӀинца хьан дозанна уллохь йолчу Кхадешехь ду тхо.</verse>
				<verse number="17">Пурба лохьа тхуна хьайн лаьтта тӀехула дехьадовла. Тхо хьан ялтийн а, кемсийн а аренаш тӀехула а девр дац, хьан гӀунаш чуьра хи а мер дац оха. Паччахьан новкъахула хьан махках чекхдовллалц, аьтту а, аьрру а агӀор а ца таьӀаш, дӀагӀур дара тхо“».</verse>
				<verse number="18">Амма Эдоман халкъо элира исраилхошка: «Тхан махкахула чекх ма довла. Шу чугӀортахь, оха тӀом бийр бу шуьца».</verse>
				<verse number="19">Исраилхоша элира цаьрга: «Тхо боккхачу новкъахула гӀур дара. Нагахь оха а, тхан даьхнино а шун хи мелча, цунах ахча а лур дара оха. ГӀаш дехьадевр дара тхо, тхан кхин гӀуллакх а дацара кхузахь».</verse>
				<verse number="20">Эдомхоша юха а элира: «Тхан махкахула чекх ма довла». Доккха эскар а гулдина, исраилхошна дуьхьалбевлира уьш.</verse>
				<verse number="21">Иштта, Эдоман халкъо шен махкахула дехьа а ца бовлийтина, кхечу новкъахула дӀабахара исраилхой.</verse>
				<verse number="22">Кхадешера дӀа а бахана, ХӀор цӀе йолчу лам тӀе баьхкира уьш.</verse>
				<verse number="23">ХӀор-лам болчохь, Эдоман дозанна уллохь, Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира:</verse>
				<verse number="24">«Мерибера хишна уллохь шу Суна дуьхьалдовларна, АхӀарон, кхелхина, шен дайх дӀакхетар ву. Ас исраилхошна луш долчу лаьтта тӀе иза кхочур вац.</verse>
				<verse number="25">Муса, хьайн ваша АхӀарон а, цуьнан кӀант ЭлиӀазар а эций, ХӀор-лам тӀе хьалавала.</verse>
				<verse number="26">АхӀаронна тӀера бедарш схьа а яхий, уьш цуьнан кӀантана ЭлиӀазарна тӀеюха. Цигахь АхӀарон кхелхар ву».</verse>
				<verse number="27">Везачу Эло тӀе-ма-диллара, кхочушдира Мусас. Дерриг а халкъана хьалха ХӀор-лам тӀе бевлира уьш.</verse>
				<verse number="28">АхӀаронна тӀера бедарш, схьа а яьхна, ЭлиӀазарна тӀеюьйхира Мусас. Цигахь, лам тӀехь, АхӀарон кхелхира, ткъа Муса а, ЭлиӀазар а лам тӀера чувоьссира.</verse>
				<verse number="29">Массарна а хиира АхӀарон дӀакхелхинийла. Дерриг а Исраилан халкъо ткъе итт дийнахь белхар латтийра иза бахьана долуш.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="21">
				<verse number="1">КанаӀан-махкахь къилбехь вехаш волчу канаӀанхойн паччахьна Ӏародна хиира, Атарайме богӀучу новкъахула исраилхой схьабогӀуш буйла. Цаьрца тӀаме а ваьлла, масех исраилхо йийсаре вигира цо.</verse>
				<verse number="2">ТӀаккха Исраилан халкъо Везачу Элана чӀагӀо йира: «Нагахь цу халкъана тӀехь толам баккха тхуна Ахь гӀо дахь, оха церан гӀаланаш йохийна охьайохкур ю», — аьлла.</verse>
				<verse number="3">Исраилхойн дехар а хезна, царна гӀо дира Везачу Эло. КанаӀанхой а, церан гӀаланаш а хӀаллак а йина, цу меттигна Хьорма цӀе тиллира исраилхоша (иза «хӀаллакьяр» бохург ду).</verse>
				<verse number="4">ХӀор-лома тӀера ЦӀечу хӀорда тӀе боьдучу новкъахула дӀабахара уьш, Эдоман махкана уллохула ца бовлархьама. Новкъахь нехан собар кхачийра.</verse>
				<verse number="5">Далла а, Мусана а лен буьйлабелира уьш: «Кху яьссачу арахь далийта даьхна аша тхо Мисарара ара? Кхузахь я бепиг а, я хи а дац. Тхуна бӀаьрга бан а ца беза и декъаза кхача».</verse>
				<verse number="6">Везачу Эло халкъана тӀе дӀаьвше лаьхьарчий хийцира. Цара лецна, исраилхойх дукха нах белира.</verse>
				<verse number="7">Мусана тӀе а баьхкина, исраилхоша элира: «Везачу Элана а, хьуна а лен а лийна, къа латийна оха. ДоӀа дехьа Везачу Эле, Цуьнга лаьхьарчий дӀадахахьара алий». Мусас нахана тӀера доӀа дира Везачу Эле.</verse>
				<verse number="8">Везачу Эло Мусага элира: «ЦӀестан лаьхьа а бай, хьокхана тӀе тоха иза. Лаьхьано це тоьхнарг, цӀестан лаьхьане хьаьжча, дийна вуьсур ву».</verse>
				<verse number="9">Мусас, цӀестан лаьхьа а бина, иза хьокхана тӀе туьйхира. Лаьхьано це тоьхна стаг, цӀестан лаьхьане хьаьжча, дийна вуьсура.</verse>
				<verse number="10">Цигара дӀа а бахана, Обат олучу меттехь севцира исраилхой.</verse>
				<verse number="11">Юха Обатера дӀабахана, Ӏий-Ӏабарим цӀе йолчу меттехь, яьссачу арахь, Муаби-махкана малхбалехьа севцира уьш.</verse>
				<verse number="12">Цу меттера а дӀа а бахана, Зерад цӀе йолчу тогӀи чохь севцира уьш.</verse>
				<verse number="13">Цигара дӀабахча, яьссачу арахь долчу, эмархойн лаьтта тӀе долучу Арнон-хина уллохь севцира уьш. И хи Муаби а, эмархойн а мехкашна юккъехь доза хилла догӀуш дара.</verse>
				<verse number="14">Цундела аьлла Везачу Элан тӀемех лаьцна долчу тептар тӀехь: «Супа цӀе йолчу арара ВахӀаб-гӀала а, Арнон-хин тогӀеш а,</verse>
				<verse number="15">цу тогӀийн Ӏар-гӀалина тӀейоьлхуш йолу, Муаби-мехкан дозана уллохь йолу басенаш а».</verse>
				<verse number="16">Кхузара дӀа Беар цӀе йолчу метте бахара исраилхой (иза «гӀу» бохург ду). Цу меттехь йолчу гӀунах лаьцна Везачу Эло Мусага элира: «Схьагулде халкъ, Ас хи лур ду царна».</verse>
				<verse number="17">ТӀаккха исраилхоша йиш лекхира: «Хих хьалаюза, гӀу! ДӀаала цунах илли!</verse>
				<verse number="18">Элаша а, халкъан тхьамданаша а шайн дарж гойтучу гӀожмашца а, Ӏасанашца а яьккхина хӀара гӀу». Яьссачу арара Матана олучу метте дӀабахара исраилхой.</verse>
				<verse number="19">Матанера Нахьалиал цӀе йолчу метте бахара уьш, ткъа цигара Бамот олучу метте бахара,</verse>
				<verse number="20">Бамотера Муаби-махкахь йолчу тогӀи чу баьхкира уьш. Цигахь яьссачу аренгахьа бирзина лаьтташ Пасга цӀе йолу лам бара.</verse>
				<verse number="21">Эмархойн паччахьна Сихьонна тӀе нах бахийтира исраилхоша дехар эцна:</verse>
				<verse number="22">«Пурба лохьа тхуна хьайн махкахула чекхдовла. Новкъахула гӀур дара тхо, ялтина а, кемсийн аренашна тӀе а ца довлуш, гӀунаш чуьра хи а ца молуш. Хьан махках дехьадовллалц паччахьан новкъахула бен гӀур дацара тхо».</verse>
				<verse number="23">Амма Сихьона пурба ца делира исраилхошна шен махкахула дӀабаха. Дерриге а шен эскар а гулдина, исраилхошна дуьхьалвелира иза яьссачу ара. ЯхӀац цӀе йолчу гӀали уллохь исраилхошца тӀаме велира Сихьон.</verse>
				<verse number="24">Цунна тӀехь толам а баьккхина, Арнона тӀера Ябокх-хина тӀекхаччалц Сихьонан латта схьадаьккхира исраилхоша. Уьш Ӏамминхойн дозанехь севцира, хӀунда аьлча шайн доза чӀогӀа лардора Ӏамминхоша.</verse>
				<verse number="25">Эмархойн ерриге а гӀаланаш схьа а яьхна, царна чохь баха хевшира исраилхой. Хьешбон-гӀала а, цунах йозуш йолу кегийра гӀаланаш а ехира цара схьа.</verse>
				<verse number="26">Хьешбон эмархойн паччахьан Сихьонан гӀала яра. Муабахойн хьалха хиллачу паччахьца тӀом а бина, Арнонна тӀекхаччалц цуьнгара мохк схьабаьккхинера Сихьона.</verse>
				<verse number="27">Цундела боху илланчаша: «Хьешбон-гӀала гӀо, то а йина, чӀагӀйойла Сихьонан гӀала!</verse>
				<verse number="28">Сихьонан гӀалара Хьешбонера схьаяьлла цӀе массанхьахула а чекхъелира. Цо ягийра Муабин Ӏар-гӀала, Арнон-хина тӀехулара гунаш а дагийра.</verse>
				<verse number="29">Къа ду хьан, Муаби-мохк! Камош-цӀун халкъ, хӀаллакьхили хьо! Цо шен кӀентех дӀасабевддарш хилийти, йоӀарий эмархойн паччахьо Сихьона йийсаре биги.</verse>
				<verse number="30">Амма оха хӀаллакбина эмархой, Хьешбона тӀера Дибонна тӀекхаччалц церан гӀаланаш йохийна, Мейдеба-гӀали уллохь йолчу Напухь олучу меттигна тӀекхаччалц бассийна церан мохк».</verse>
				<verse number="31">Иштта Эмархойн махкахь баха хевшира исраилхой.</verse>
				<verse number="32">Мусас масех стаг вахийтира ЯӀзир-гӀалахь долчуьнга хьажа. Юха, и гӀала а, цунна гонах йолу ярташ а схьа а яьхна, царна чуьра эмархой лаьхкира исраилхоша.</verse>
				<verse number="33">Цул тӀаьхьа исраилхой Башан-махка бахара. ЭдреӀи-гӀалина уллохь, шен дерриг а эскар а далош, исраилхошна тӀамца дуьхьалвелира Башан-мехкан паччахь ӀовгӀа.</verse>
				<verse number="34">Везачу Эло Мусага элира: «Ма кхера цунах, Ас иза а, цуьнан халкъ а, берриг а цуьнан мохк а хьан кара дӀалур бу. Хьешбонехь Ӏийначу эмархойн паччахьна Сихьонна диннарг де цунна».</verse>
				<verse number="35">Цхьа а дийна ца вуьтуш, паччахь ӀовгӀа а, цуьнан кӀентий а, дерриг цуьнан халкъ а хӀаллак а дина, Башан-мохк схьабаьккхира исраилхоша.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="22">
				<verse number="1">Цул тӀаьхьа Исраилан халкъо, новкъа а даьлла, Муаби-мехкан аренашка а деана, Йордан-хина малхбалехьа, Ерихон-гӀалина дуьххьал, дӀахӀоттийра шайн меттамотт.</verse>
				<verse number="2">Исраилхоша эмархошна тӀехь дийриг дерриге а гинера Ципуран кӀантана Балакхана.</verse>
				<verse number="3">Муабахой холчу хӀиттинера, Исраилан халкъ алссам хиларна. Уьш чӀогӀа кхерабеллера исраилхойх.</verse>
				<verse number="4">Муабахоша маданхойн къаношка элира: «Стерчаша аренгара дӀайоу буц санна, вайна гонах мел долу хӀума дӀадоу оцу халкъо». Цу хенахь муабахойн паччахь вара Ципуран кӀант Балакх.</verse>
				<verse number="5">Балакха БеӀаран кӀантана БалиӀамна тӀе шен геланчаш бахийтира, иза шена тӀе схьакхайкха аьлла. БалиӀам Ӏамавхойн махкахь Эпрат-хин йистерачу Патур-гӀалахь Ӏаш вара. Балакха иштта дӀаала аьллера: «Мисар-махкара арадаьллачу цхьана халкъо, ша дукха хиларна, хӀара латта дуьзна. Цо суна юххехь шен меттамотт дӀахӀоттийна.</verse>
				<verse number="6">Со волчу схьа а волий, оцу халкъана неӀалт кхайкхадехьа, хӀунда аьлча иза сол ницкъ болуш ду. ТӀаккха сан таро хила тарлора, цунна тӀехь толам а баьккхина, кху махкара иза дӀаэккхо. Суна хаьа, хьо боккха ницкъ болуш вуйла. Нагахь ахь цхьаъ декъалвича, иза декъалвина хуьлу, ткъа ахьа неӀалт кхайкхийча, цунна тӀехь неӀалт лаьтта».</verse>
				<verse number="7">Муабахойн а, маданхойн а къаной БалиӀамна тӀебахара, пал тасарна богӀу мах а хьош. Балакха шайга дӀаала аьлларг дӀаэлира цара БалиӀаме.</verse>
				<verse number="8">БалиӀама цаьрга элира: «Шу буьйса йоккхуш диса кхузахь, ткъа аса, Везачу Эле хаттар а дина, Цо сайна делла жоп шуьга дӀадуьйцур ду». Иштта, муабахойн баьччанаш цуьнца бисира.</verse>
				<verse number="9">Дала БалиӀаме хаьттира: «Хьо волчу баьхкинарш хӀун нах бу?» — аьлла.</verse>
				<verse number="10">БалиӀама Деле жоп делира: «Муабахойн паччахь волчу Ципуран кӀанта Балакха хаттар деш бахкийтина уьш суна тӀе. Цара боху:</verse>
				<verse number="11">„Мисар-махкара деана цхьа халкъ ду, ша алссам хиларна, дерриг а латта дуьзна цо. Ахьа, схьа а веана, цу халкъана неӀалт кхайкхадахьара, сан таро хила тарлора, цунна тӀехь толам а баьккхина, кху махкара иза дӀаэккхо“».</verse>
				<verse number="12">Дала БалиӀаме элира: «Хьо цаьрца ма гӀолахь, цу халкъана неӀалт а ма кхайкхаделахь, хӀунда аьлча и халкъ декъалдина ду».</verse>
				<verse number="13">Ӏуьйранна, хьала а гӀаьттина, Балакхан баьччанашка БалиӀама элира: «Шу шайн махка юхадерза, Везачу Эло ца могуьйту суна шуьца дӀаван».</verse>
				<verse number="14">Муабахойн баьччанаша, Балакхана тӀе юха а баьхкина, цуьнга элира: «БалиӀам реза ца хилира тхоьца схьаван».</verse>
				<verse number="15">ТӀаккха ша дуьххьара бахийтинчарал сов а болуш, царал а цӀеяхана болу кхин баьччанаш бахийтира Балакха.</verse>
				<verse number="16">Цара, БалиӀам волчу а баьхкина, цуьнга элира: «Ципуран кӀанта Балакха хьоьга иштта ала боху: „Сох ца къаьхкаш, схьаволахьа со волчу.</verse>
				<verse number="17">Аса, хьоьга болчу ларамна, хьуна совгӀат дийр дара, ахьа сайга аьлларг хӀуъа а кхочушдийр дара. Схьа а волий, цу халкъана неӀалт кхайкхадехьа“».</verse>
				<verse number="18">БалиӀама, Балакхан ялхошка жоп а луш, элира: «Нагахь Балакха детих а, деших а дуьзна долу шен паччахьан цӀа суна схьалуш хилча а, сайн Везачу Дала бохучунна тӀера а ваьлла, Цо магийтина доцу жима я доккха цхьа а хӀума дан йиш яц сан.</verse>
				<verse number="19">Шайна лаахь, аша а кхузахь буьйса яккха, шайл хьалха баьхкинчара санна, ткъа аса ладугӀур ду Везачу Эло сайга кхин хӀун олу».</verse>
				<verse number="20">Цу буьйсанна Дала, БалиӀамна дуьхьал а веана, цуьнга элира: «И нах хьо дӀакхойкхуш баьхкина хиларна, цаьрца дӀаваха кечло, амма Аса хьайга де бохург бен ахьа ма делахь».</verse>
				<verse number="21">Ӏуьйранна БалиӀам, хьала а гӀаьттина, шен виркхела а йоьжна, оцу муабахойн баьччанашца ваха новкъа велира.</verse>
				<verse number="22">БалиӀам, шен ши ялхо шеца а волуш, шен виркхела тӀехь новкъа воллушехь, Дела оьгӀазвахара цунна, ткъа некъа тӀехь Везачу Элан Малик схьахӀоьттира, цунна дуьхьало ярхьама.</verse>
				<verse number="23">БалиӀаман виркхелана гира, баттара тур а даьккхина, некъа тӀехь лаьтташ долу Везачу Элан Малик. Иза, некъа тӀера дӀа а яьлла, аренга дӀайирзира. Ткъа БалиӀам виркхелана етта волавелира, иза некъа тӀе яккха гӀерташ.</verse>
				<verse number="24">Цхьа хан яьлча, шинна а агӀор пенаш а долуш, кемсийн шина бешана юккъехь, некъ готта болчу меттехь Везачу Элан Малик дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="25">Виркхелана юха а гира Везачу Элан Малик. Виркхело, пенна улло а таьӀна, БалиӀаман ког Ӏаьвдира. БалиӀама виркхелана юха а йиттира.</verse>
				<verse number="26">Кхин а цхьа хан яьлча, некъ готта болчу кхечу меттехь юха а Везачу Элан Малик дӀахӀоьттира. Виркхелана меттиг яцара Маликана уллохула я аьтту, я аьрру агӀор дехьаяла.</verse>
				<verse number="27">Цу хенахь, Везачу Элан Малик а гина, шена тӀехиъна БалиӀам а волуш, виркхела лаьтта охьайижира. БалиӀам, дар а велла, виркхелана шен Ӏаса етта волавелира.</verse>
				<verse number="28">Оцу меттехь Везачу Эло виркхела йистхилийтира. Виркхело БалиӀаме элира: «Аса хӀун дина хьуна? Кхузза хӀунда йитти ахьа суна?»</verse>
				<verse number="29">БалиӀама виркхеле жоп делира: «Хьо сох кхаьрдина-кх! Нагахь санна сан карахь тур делахьара, аса хӀинццехь юьйр яра хьо!»</verse>
				<verse number="30">Ткъа виркхело БалиӀаме элира: «Дуккха а хенахь дуьйна тахханалц хьо сайна тӀехь лелош йолу хьан виркхела яц ткъа со? ХӀинццалц цкъа а Ӏедал дарий ткъа сан и саннарг хьуна деш?» БалиӀама жоп делира: «Дацара», — аьлла.</verse>
				<verse number="31">Юха Везачу Эло БалиӀаман бӀаьргаш дӀабиллира. Баттара даьккхина тур а долуш, некъа тӀехь лаьтташ долу Везачу Элан Малик гира БалиӀамна. Иза цунна хьалха лаьтта бертал охьавуьйжира.</verse>
				<verse number="32">Везачу Элан Малико БалиӀаме хаьттира: «ХӀунда йиттира ахьа кхузза хьайн виркхелана? Хьуна дуьхьало ярхьама аравелира со, хӀунда аьлча ахьа схьалаьцна некъ дегаза бу Суна, иза бохамна тӀебоьдуш хиларна.</verse>
				<verse number="33">Ткъа хьан виркхела, шена со гича, некъа тӀера дӀайолура. Иштта кхузза хилира иза. Нагахь виркхела, Сох къаьхкина, юха ца яьллехьара, Аса хьо вийна хир вара, ткъа иза дийна юьтур яра».</verse>
				<verse number="34">БалиӀама Везачу Элан Малике элира: «Аса къа латийна, хӀунда аьлча суна ца хаьара, хьо некъа тӀехь лаьтташ дуйла, суна дуьхьало ярхьама. Нагахь ас дийриг хьуна гергахь нийса дацахь, со юхавоьрзур ву».</verse>
				<verse number="35">ТӀаккха Везачу Эло БалиӀаме элира: «ХӀан-хӀа, хьо ваха мегар ду цу нахаца, амма варелахь, аса хьайна магийна дешнаш бен ма алалахь». ТӀаккха Балакхан геланчашца дӀавахара БалиӀам.</verse>
				<verse number="36">Шена БалиӀам вогӀу аьлла хезча, Балакх цунна дуьхьал вахара. Иза вахара шен мехкан дозанна йистехь долчу Арнон-хин уллохь лаьттачу муабахойн Ӏар-гӀали чу.</verse>
				<verse number="37">Шена БалиӀам гича, Балакха цуьнга элира: «Аса хьуна тӀе, хьоьга схьавола аьлла, нах ца бахкийтира? Дуьххьара хӀунда ца веара хьо со волчу? Хьоьга болчу ларамна хьуна совгӀат далалур дацара ткъа соьга?»</verse>
				<verse number="38">«Со хӀинца кхузахь ву-кх, — элира БалиӀама. — Со схьа-м веана, амма тамаш бу-кх, соьга ахьа бохург далур делахь. ХӀунда аьлча сан бакъо яц сайга, Дала ала магийтинарг, бен дӀаала».</verse>
				<verse number="39">Балакхца вахана, Кхиръят-Хьуцот олучу метте веара БалиӀам.</verse>
				<verse number="40">Балакха сагӀина лерина масех сту а, уьстагӀ а бийра. Церан жижигах дакъа БалиӀамна а, цуьнца болчу баьччанашна а делира Балакха.</verse>
				<verse number="41">ШолгӀачу дийнахь Ӏуьйранна Балакх, шеца БалиӀам а вуьгуш, Бамот-БаӀал олучу гу тӀе вахара. Цу меттера дӀахьаьжча, Исраилан халкъан цхьадолу дакъа гора царна.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="23">
				<verse number="1">БалиӀама Балакхе элира: «Кхузахь сагӀа доккху ворхӀ меттиг а кечъяй, ворхӀ старгӀа а, ворхӀ ка а балабе суна».</verse>
				<verse number="2">Балакха кхочушдира БалиӀама шега де аьлларг. Балакха а, БалиӀама а сагӀа доккхучу хӀора меттигна тӀе цхьацца старгӀа а, цхьацца ка а сагӀина доккхура.</verse>
				<verse number="3">БалиӀама Балакхе элира: «Хьо хьайн дийнаташ дагоран сагӀина уллохь Ӏе, ткъа со кхечу метте дехьавер ву. Веза Эла суна дуьхьалван тарло. Цо суна мел гайтинарг Аса хьоьга дӀаэр ду». БалиӀам ерзинчу лакхенна тӀе вахара.</verse>
				<verse number="4">Цига Дела веара БалиӀамна хьалха. «Аса сагӀа доккху ворхӀ меттиг кечйина, — элира БалиӀама, — царна хӀоранна тӀехь цхьацца старгӀа а, цхьацца ка а сагӀина лерина багийна ас».</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха Везачу Эло, Балакхе дӀаала дезарг бага а диллина, БалиӀаме Балакх волчу юхаверза элира.</verse>
				<verse number="6">БалиӀам юхавирзича, Балакх хӀинца а дийнаташ дагоран сагӀа доккхучохь лаьтташ вара. Цуьнца цхьаьна лаьтташ бара берриге муабахойн баьччанаш а.</verse>
				<verse number="7">Делера болу хӀара хаам бира БалиӀама: «Балакха со Арам-махкара схьавалийра, муабахойн паччахьо со малхбалехь болчу лаьмнашкара схьакхайкхира, „Схьа а волий, неӀалт кхайкхадехьа Якъубан тӀаьхьенна, сардам боллахьа Исраилан халкъана!“ — аьлла.</verse>
				<verse number="8">Амма Дала неӀалт ца кхайкхийнчунна аса муха кхайкхор ду неӀалт? Ткъа Везачу Эло сардам ца боьллинчунна аса муха буллур бу сардам?</verse>
				<verse number="9">Ломан боххьера дӀахьаьжча а, го суна и халкъ, лекхачу гунаш тӀера а хьоьжу со цуьнга. И халкъ дӀакъаьстина дехаш ду, кхечу къаьмнашна юкъа а ца догӀу иза.</verse>
				<verse number="10">Хьаьнга дагардалур дара чан санна дукха долу Якъубан халкъ? Исраилан халкъан доьалгӀа дакъа а хьаьнга дагардалур дара? Делан лаамехь волчун санна дӀакхалхар хилахьара сан а! Цу халкъан санна чаккхе хилахьара сан а!»</verse>
				<verse number="11">Балакха БалиӀаме элира: «Ахьа суна дийриг хӀун ду те? Аса сайн мостагӀашна неӀалт кхайкхадайтархьама схьавалийна хьо, ткъа хьо уьш декъалбеш ву?»</verse>
				<verse number="12">БалиӀама, цунна жоп а луш, элира: «Везачу Эло сайга дӀаала аьлларг ма-дарра дӀаала ца деза ткъа аса?»</verse>
				<verse number="13">Балакха БалиӀаме элира: «Соьца кхечу метте дӀаволахь, цигара гур дара хьуна и халкъ, дерриге а ца гуш, ткъа цуьнан дакъа гур дара. Оцу меттера дӀа сан дуьхьа неӀалт кхайкхадехьа царна».</verse>
				<verse number="14">Балакха Пасги-лам тӀехь йолчу Цапим-аренга валийра БалиӀам. Цигахь цо, сагӀа доккху ворхӀ меттиг а кечйина, цхьацца старгӀа а, ка а беана, сагӀа даьккхира.</verse>
				<verse number="15">БалиӀама Балакхе элира: «Хьо кхузахь дийнаташ дагоран сагӀина юххехь Ӏе, ткъа со дехьаволу, Далла дуьхьал а хӀуттуш».</verse>
				<verse number="16">ТӀаккха Везачу Эло, БалиӀамна дуьхьал а веана, Балакхе дӀаала дезарг бага а диллина, БалиӀаме Балакх волчу юхаверза элира.</verse>
				<verse number="17">БалиӀам юхавеача, Балакх дийнаташ дагоран сагӀина юххехь лаьтташ вара, цуьнца цхьаьна муабахойн баьччанаш а бара. Шена тӀевогӀу БалиӀам а гина, Балакха цуьнга хаьттира: «ХӀун боху Везачу Эло?»</verse>
				<verse number="18">БалиӀама жоп делира: «Балакх, хьала а гӀаттий, ладогӀа соьга! ЛадогӀа соьга Ципуран кӀант Балакх!</verse>
				<verse number="19">Дела адам дац, Цо аьшпаш ца бутту. Иза адамех схьаваьлла вац, Цо Шена дагадеанарг ца хуьйцу. Ша йинчу чӀагӀонца ца лела ткъа Иза? Ша дийр ду аьлларг кхочушдийр дац ткъа Цо?</verse>
				<verse number="20">И халкъ декъалдар тӀедиллина суна. Дала уьш декъалбина хилча, сан йиш яц иза хийца.</verse>
				<verse number="21">Якъубан тӀаьхьенна зулам хирг хилар гуш дац, Исраилан халкъана бохам хирг хилар гуш дац. Церан Веза Дела цаьрца ву! Уьш баккхийберца кхойкхуш бу, Иза шайн Паччахь хиларна.</verse>
				<verse number="22">Дала Мисар-махкара арадаьккхина и халкъ, бугӀанан маӀашкахь болу ницкъ а болуш.</verse>
				<verse number="23">Якъубан тӀаьхьенна дуьхьал лелийна бозбунчаллаш а кхочушхир дац, Исраилан халкъана дуьхьал тесна пал а кхочушхир бац. Шен хенахь Якъубах лаьцна наха дуьйцур ду, Исраилах лаьцна эр ду: „Иштта хӀума дина-кх Дала!“</verse>
				<verse number="24">И халкъ стен лом санна дӀахӀутту, шен ижу дӀакхаллалц паргӀат ца долу а, ша хӀаллакдинчеран цӀий дӀамаллалц дӀа ца дуьжу а лом санна хьалагӀотту иза».</verse>
				<verse number="25">Балакха БалиӀаме элира: «Ахьа я неӀалт ма кхайкхаде цу халкъана я иза декъал а ма де».</verse>
				<verse number="26">БалиӀама жоп делира Балакхе: «Ца элира ткъа аса хьоьга, Везачу Эло сайга де аьлларг дийр ду аса аьлла?»</verse>
				<verse number="27">ТӀаккха Балакха элира БалиӀаме: «Валохьа, аса хьо кхечу метте вуьгур вара. Дела реза хила тарло, оцу меттера сан дуьхьа хьоьга царна неӀалт кхайкхадайта!»</verse>
				<verse number="28">Балакха ПаӀор цӀе йолчу, яьссачу арахьа бирзина болчу ломан боххье вигира БалиӀам.</verse>
				<verse number="29">«СагӀа доккху ворхӀ меттиг суна кеч а яй, ворхӀ старгӀа а, ворхӀ ка а суна кечбе», — элира БалиӀама.</verse>
				<verse number="30">Балакха кхочушдира шега БалиӀама аьлларг. Цо сагӀа доккхучу хӀора меттигна тӀехь, цхьацца старгӀа а, ка а буьйш, сагӀа даьккхира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="24">
				<verse number="1">БалиӀамна гора, Исраилан халкъ декъалдар Везачу Элана тамехь хилар, цундела цо, ша хьалха шозза деш ма-хиллара, пал а ца тосуш, шен юьхь яьссачу аренгахьа ерзийра.</verse>
				<verse number="2">Яьссачу аренга дӀахьаьжча, БалиӀамна дерриг а Исраилан халкъ гира, шен тайпанашца, меттамотт а хӀоттийна, лаьтташ. Делан Са доьссира БалиӀамна тӀе.</verse>
				<verse number="3">БалиӀама хӀара дешнаш элира: «БеӀаран кӀанта БалиӀама бина Делера хаам а, сирла бӀаьргаш болуш волчун хаам а бу хӀара.</verse>
				<verse number="4">Делан дешнаш хезаш волчун хаам бу хӀара. Нуьцкъалчу Дала сайна хьалха хӀоттийна сурт, лаьтта а вужий, дӀабиллинчу бӀаьргашца го суна.</verse>
				<verse number="5">Якъубан халкъ! Мел хаза ду-кх хьан четарш! Исраилан халкъ! Ма хаза ю-кх хьан хӀусамаш!</verse>
				<verse number="6">ТогӀеш санна, дӀасаяьржина уьш, хин йистошкара бошмаш санна, ю уьш! Везачу Эло дӀадоьгӀна долу хаза хьожа йоуьйту сарап санна, ю уьш! Хиш долчохь лаьтташ долу баганан дитташ санна, ю уьш!</verse>
				<verse number="7">Церан чийлакаш чуьра хи лаьтта тӀехъоьхур ду, церан хӀух схьабевллачарна алссам хи хир ду. АгӀаг-паччахьал а лакхара хир ву церан паччахь. Сийлахь а хилла дӀахӀуттур ю церан паччахьалла!</verse>
				<verse number="8">Дала Мисар-махкара арадаьккхина и халкъ. БугӀанан маӀашкахь болу ницкъ бу цуьнгахь. Шена дуьхьалдевлла халкъаш цоьсту цо, мостагӀчун даьӀахкаш а оту цо, шен пхерчий а кхуьссу цунна тӀе.</verse>
				<verse number="9">Дижина Ӏуьллучу лоьмах тера ду и халкъ. Хьан доккхур дара иза меттах? Хьо декъалвийриг декъала ву, ткъа хьуна неӀалт кхайкхош волчунна неӀалт кхайкхор ду!»</verse>
				<verse number="10">ТӀаккха Балакх чӀогӀа дарвелира БалиӀамна. Шен куьйгаш вовшах а тухуш, цо БалиӀаме элира: «Аса сайн мостагӀашна неӀалт хьажо схьавалийнера хьо, ткъа ахьа хӀинца кхозлагӀа а уьш декъалбеш бу.</verse>
				<verse number="11">Хьайн цӀа дӀагӀо! Со, хьоьга болчу ларамна, хьуна совгӀаташ дала воллура, амма Везачу Эло ваьккхи хьо цу совгӀатех».</verse>
				<verse number="12">БалиӀама Балакхе элира: «Аса ца аьллера ткъа ахьа суна тӀебахкийтинчу геланчашка:</verse>
				<verse number="13">Нагахь Балакха детих а, деших а дуьзна долу шен паччахьан цӀа суна луш хилча а, Везачу Эло бохучунна тӀера а ваьлла, Цо магийтина доцу жима я доккха цхьа а хӀума дан йиш яц сан. Везачу Эло сайга схьабоххург бен дӀаэр дац аса!»</verse>
				<verse number="14">«ХӀинца со сайн халкъана тӀе юхавоьрзу, амма хьуна дӀахаийта лаьа суна. Аса дуьйцур ду хьоьга Исраилан халкъо хьох а, хьан халкъах а ден долчух лаьцна».</verse>
				<verse number="15">БалиӀама хӀара дешнаш дӀаэлира: «БеӀаран кӀанта БалиӀама бина Делера хаам а, Сирла бӀаьргаш болуш волчун хаам а бу хӀара.</verse>
				<verse number="16">Делан дешнаш хезаш волчун хаам бу хӀара, Веза Воккха Дела шена вевзаш волчу. Нуьцкъалчу Дала сайна хьалха хӀоттийна сурт, лаьтта а воьжна, дӀабиллинчу бӀаьргашца го суна.</verse>
				<verse number="17">Суна иза го, амма иза хӀинцца дац. Со цуьнга хьоьжу, амма иза гергга вац. Цхьа Седа хьалабер бу Якъубан тӀаьхьенах. Паччахь вогӀур ву Исраилан халкъана юкъара. Цо муабахойн бӀаьштигаш а отур ю, ШатӀин ерриге тӀаьхье а хьоьшур ю.</verse>
				<verse number="18">Цо Эдом-мохк а дӀалоцур бу, шен мостагӀа долу СеӀиран халкъ а дӀалоцур ду. Ткъа Исраилан халкъан ницкъ совбер бу.</verse>
				<verse number="19">Якъубан тӀаьхьенах схьавер ву цхьа урхалхо, ткъа гӀалара шаьш кӀелхьарбевлларш хӀаллакбийр бу цо».</verse>
				<verse number="20">Цу хенахь БалиӀамна Ӏамалекхахой гира. Цо иштта дешнаш элира: «Массо а къаьмнашна юкъахь Ӏамалекхахойн къам хьалхарниг ду, амма эххар а иза дакъазадер ду!»</verse>
				<verse number="21">Цул тӀаьхьа кхенахой гира БалиӀамна, цо иштта дешнаш элира: «Шу Ӏаш долу меттиг онда дӀахӀоттийна. Шун бен тархан лакхенгахь бина бу.</verse>
				<verse number="22">Делахь а шу, кхенахой, дӀадохур ду, Ашура шу йийсаре дуьгучу дийнахь!»</verse>
				<verse number="23">Цул тӀаьхьа БалиӀама иштта дешнаш элира: «ЭхӀ, Дала и дерриге а дича, мила вахалур ву те?</verse>
				<verse number="24">Хитам-гӀайре йолчуьра хӀордкеманаш догӀур ду. Цара толам боккхур бу Ашуран а, Ӏебаран а халкъашна тӀехь, амма уьш шаьш а хӀаллакьхир бу!»</verse>
				<verse number="25">БалиӀам, хьала а гӀаьттина, шен цӀа дӀавахара, ткъа Балакх, шен новкъа а ваьлла, дӀавахара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="25">
				<verse number="1">Шитим олучу меттехь шаьш меттамотт хӀоттийна Ӏаш болчу хенахь, исраилхой муабахойн зударшца лела буьйлабелира.</verse>
				<verse number="2">Муабахойн зударша шайн цӀушна лерина хӀитточу сагӀанийн тойнашка исраилхой кхойкхура. Исраилхоша цаьрца цхьаьна сагӀина деанарг а доура, церан цӀушна Ӏибадат а дора.</verse>
				<verse number="3">Иштта, цигахь БаӀал-ПаӀор цӀе йолчу цӀунна Ӏамал ян буьйлабелира исраилхой. ТӀаккха Веза Эла чӀогӀа дарвелира Исраилан халкъана.</verse>
				<verse number="4">Мусага Везачу Эло элира: «Цу халкъан куьйгалхой берриш а, дӀа а леций, байа а байий, дийнан серлонгахь Везачу Элана хьалха ирхъохка. ТӀаккха Везачу Эло дерриге а Исраилан халкъана Шен дарвалар дӀадоккхур ду».</verse>
				<verse number="5">Мусас исраилхойн кхелахошка элира: «Шух хӀораммо а шайна юкъара БаӀал-ПаӀор-цӀунна Ӏамал ян буьйлабелларш байа».</verse>
				<verse number="6">Юха, Муса а, дерриг а Исраилан халкъ а гуламан четарна чуволлучохь тийжаш лаьтташ долчу хенахь, царна массарна а гуш, цхьана исраилхочо маданхойх йолу цхьа зуда шен вежаршна ялийра.</verse>
				<verse number="7">Шена и дерриг а гича, динан ден АхӀаронан кӀентан ЭлиӀазаран кӀанта Пайнехьаса, гулам а битина, шен гоьмукъ схьаийцира.</verse>
				<verse number="8">Оцу исраилхочунна тӀаьххье четар чу а ваьлла, цунах а, цуьнца йолчу зудчух а шен гоьмукъ чекх а баьккхина, и шиъ дийра Пайнехьаса. Цо и дешшехь, исраилхой хӀаллак а беш, царна юкъахь даьржина долу ун сецира.</verse>
				<verse number="9">Цу даьржинчу уьнах велларг ткъе виъ эзар стаг вара.</verse>
				<verse number="10">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="11">«Динан ден АхӀаронан кӀентан ЭлиӀазаран кӀанта Пайнехьаса, исраилхошна юкъахь церан харцделанашка йолу Сан эмгаралла кхиамца гучу а йоккхуш, Исраилан халкъе йолу Сан дералла дӀаерзийра. И бахьана долуш Аса и халкъ хӀаллак ца дира, Сайн эмгаралла хиллехь а.</verse>
				<verse number="12">Цундела ахьа Пайнехьасе дӀахаийта, Аса бертан весет цуьнга до алий.</verse>
				<verse number="13">Цуьнга а, цуьнан ерриге тӀаьхьене а весет до Аса, уьш массо а заманахь динан дай хир бу аьлла, хӀунда аьлча шен Делан дуьхьа иза кхиамца лелара, исраилхойн къинош дӀа а дохуьйтуш».</verse>
				<verse number="14">Маданхойн зудчуьнца вийна волу исраилхо ШимӀин тӀаьхьенах болчу нехан куьйгалхо вара. Салун кӀант Зимари вара иза.</verse>
				<verse number="15">Ткъа йийначу маданхойх йолчу зудчун цӀе Кузаби яра. Иза маданхойн цхьана тукхаман куьйгалхо волчу Цурин йоӀ яра.</verse>
				<verse number="16">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="17">«Маданхошка инкарло йолуш а хила, уьш байа а байа,</verse>
				<verse number="18">хӀунда аьлча шайн мекарлонца цара а шайн шуьга йолу инкарло гайтина. Цара шу ле ма дира, ПаӀор олучу меттехь хиллачу гӀуллакха тӀехь а, маданхойн баьччанан йоӀ йолчу Кузабица доьзна долчу гӀуллакха тӀехь а. ПаӀорехь хилларг бахьанехь нахана ун кхеттачу хенахь Кузаби, гоьмукъ а Ӏоьттина, йийнера».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="26">
				<verse number="1">Ун кхеттачул тӀаьхьа Мусага а, динан ден АхӀаронан кӀант волчу ЭлиӀазаре а Везачу Эло элира:</verse>
				<verse number="2">«Дерриг а Исраилан халкъан, иза дагар а деш, хьесап де, церан доьзалшка хьаьжжина. Исраилхойн эскарехь гӀуллакх дан мегаш волчу, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолчу хӀора боьршачу стеган цӀе дӀаязъе».</verse>
				<verse number="3">Шаьш Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гӀалина юххерчу Йордан-хин йистехь, долчу хенахь, Мусас а, динан дас ЭлиӀазара а халкъе элира:</verse>
				<verse number="4">«Везачу Эло Мусана тӀедиллина ма-хиллара, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу хӀора боьрша стаг дӀаязве». Мисар-махкара арабевлла исраилхой хӀорш бара:</verse>
				<verse number="5">Исраилан дуьххьарлера доьзалхо волчу Раабанан тӀаьхье иштта яра: Хьанахах бевллера хьанахахой, Палух — палухахой,</verse>
				<verse number="6">Хьацраних — хьацранихой, Кармах — кармахой.</verse>
				<verse number="7">Иштта дара Раабанан гаранаш. Уьш, багарбича, шовзткъе кхо эзар ворхӀ бӀе ткъе итт стаг вара (43730).</verse>
				<verse number="8">Палун кӀант вара Элиаб.</verse>
				<verse number="9">Элиабан кхо кӀант вара: Намуал, Датан, Абирам. Халкъо схьахаьржина болу уьш, Мусана а, АхӀаронна а дуьхьал а бевлла, Кхорахьна тӀаьхьахӀиттинчарна юкъабогӀура, цара Везачу Элана дуьхьало ечу хенахь.</verse>
				<verse number="10">Цу хенахь, латта декъа а делла, уьш а, Кхорахь а лаьтто дӀакхаьллира. Цаьрца цхьаьна Кхорахьна тӀаьхьахӀоьттина халкъ а делира, и ши бӀе шовзткъе итт стаг цӀеро вагийча. Исраилан халкъана дӀахьедаран билгало хилира царах.</verse>
				<verse number="11">Ткъа Кхорахьан тӀаьхье дийна йисира.</verse>
				<verse number="12">ШимӀин тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: Намуалах бевллера намуалхой, Яминах — яминхой, Якинах — якинхой.</verse>
				<verse number="13">Зерахьах бевллера зерахьахой, Шаулах — шаулхой.</verse>
				<verse number="14">Иштта дара ШимӀин гаранаш. Уьш, багарбича, ткъе ши эзар ши бӀе стаг вара (22200).</verse>
				<verse number="15">Гадин тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: Цепонах бевллера цепонхой, Хьагих бевллера хьагихой, Шуних — шунихой,</verse>
				<verse number="16">Озних — ознихой, Ӏерах — Ӏерихой,</verse>
				<verse number="17">Ародих — ародихой, Ариэлих — ариэлахой.</verse>
				<verse number="18">Иштта дара Гадин гаранаш. Уьш, багарбича, шовзткъа эзар пхи бӀе стаг хилира (40500).</verse>
				<verse number="19">Ӏаьр а, Онан а ЯхӀудан кӀентех шиъ вара. Ткъа уьш КанаӀан-махкахь дӀакхелхинера.</verse>
				<verse number="20">ЯхӀудан тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: Шейлин тӀаьхьенах бевллера шейлахой, Парасах — парасхой, Зерахьах — зерахьахой.</verse>
				<verse number="21">Парасан тӀаьхье иштта яра: Хьацраних бевллера хьацранихой, Хьамалах — хьамалхой.</verse>
				<verse number="22">Иштта дара ЯхӀудан гаранаш. Уьш, багарбича, кхузткъе ялхитта эзар пхи бӀе стаг хилира (76500).</verse>
				<verse number="23">Иссарханан тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: ТовлаӀах бевллера товлаӀхой, Пувех — пувахой,</verse>
				<verse number="24">Яшабах — яшабхой, Шимронах — шимронхой.</verse>
				<verse number="25">Иштта дара Иссарханан гаранаш. Уьш, багарбича, кхузткъе виъ эзар кхо бӀе стаг хилира (64300).</verse>
				<verse number="26">Забулан тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: Серадах бевллера серадхой, Элонах — элонхой, Яхьлаалах — яхьлаалхой.</verse>
				<verse number="27">Иштта дара Забулан гаранаш. Уьш, багарбича, кхузткъа эзар пхи бӀе стаг хилира (60500).</verse>
				<verse number="28">Юсупан тӀаьхьенан гаранаш цуьнан ши кӀант волчу Маннашехула а, Эпраймехула а дара.</verse>
				<verse number="29">Маннашан тӀаьхье иштта яра: Макирах бевллера макирхой. Макиран кӀант хилла ГалӀад. ГалӀадах бевллера галӀадхой.</verse>
				<verse number="30">ГалӀадан тӀаьхье иштта хилла: ЙиӀазарх бевллера йиӀазархой, ткъа Хьелакхах — хьелакхахой,</verse>
				<verse number="31">Асриалах — асриалхой, Шехемах — шехемхой,</verse>
				<verse number="32">ШамидаӀах — шамидаӀхой, Хьепарах — хьепархой.</verse>
				<verse number="33">Хьепаран кӀант волчу Цалпихьадан кӀентий бацара, йоӀарий бен. Цалпихьадан йоӀарийн цӀераш хӀорш яра: Махьила, НуӀат, Хьугила, Малка, Тирца.</verse>
				<verse number="34">Иштта дара Маннашан гаранаш. Уьш, багарбича, шовзткъе шийтта эзар ворхӀ бӀе стаг вара (52700).</verse>
				<verse number="35">Эпрайман тӀаьхье шен гаранашца иштта яра: Шутлахьих бевллера шутлахьихой, Бахрих — бахрихой, Тахьанах — тахьанхой.</verse>
				<verse number="36">Шутлахьин тӀаьхье иштта яра: Ӏаьранах бевллера Ӏаьранхой.</verse>
				<verse number="37">Иштта дара Эпрайман гаранаш. Уьш, багарбича, ткъе шийтта эзар пхи бӀе стаг вара (32500). Иза яра Юсупан ерриге а тӀаьхье цуьнан гаранашца.</verse>
				<verse number="38">Бен-Яманан тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: БулаӀах бевллера булаӀхой. Ашбелих — ашбелихой, Ахьирамах — ахьирамхой,</verse>
				<verse number="39">Шапу-Памах бевллера шапумхой, Хьупамах — хьупамхой.</verse>
				<verse number="40">БулаӀан кӀентий бара: Арди, НаӀаман. Ардих бевллера ардихой, НаӀаманах — наӀаманхой.</verse>
				<verse number="41">Иштта дара Бен-Яманан тӀаьхье шен гаранашца. Уьш, багарбича, шовзткъе пхи эзар ялх бӀе стаг вара (45600).</verse>
				<verse number="42">Данан тӀаьхьенан гара иштта дара: Шухьамах бевллера шухьамхой. Иза дара Данан гара.</verse>
				<verse number="43">Шухьаман тӀаьхьенах берш багарбича, уьш берриш кхузткъе виъ эзар виъ бӀе стаг вара (64400).</verse>
				<verse number="44">Ашаран тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: Иманих бевллера иманихой, Ишвих — ишвихой, БериӀах — бериӀхой.</verse>
				<verse number="45">БериӀан тӀаьхьенах бевлларш хӀорш бара: Хьебарх бевллера хьебархой, Малкиалх — малкиалхой.</verse>
				<verse number="46">Ашаран йоӀан цӀе яра Серахь.</verse>
				<verse number="47">Иштта дара Ашаран гаранаш. Уьш, багарбича, шовзткъе кхойтта эзар виъ бӀе стаг вара (53400).</verse>
				<verse number="48">Напталан тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: Яхьциалах бевллера яхьциалхой, Гуних — гунихой,</verse>
				<verse number="49">Йицарх — йицархой, Шиламах — шиламхой.</verse>
				<verse number="50">Иштта дара Напталан гаранаш. Уьш, багарбича, шовзткъе пхи эзар виъ бӀе стаг вара (45400).</verse>
				<verse number="51">Багарбинчарна юкъабаханчу исраилхойн терахь дара ялх бӀе цхьа эзар ворхӀ бӀе ткъе итт стаг (601730).</verse>
				<verse number="52">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="53">«ТӀаьхьенна гуттаренна а делла латта дӀасадекъа деза, оцу гаранашна лаьттан дакъош кхачийтархьама, церан терахье хьаьжжина.</verse>
				<verse number="54">Гара доккха делахь, цунна лаьттан доккхах долу дакъа а кхачийта, ткъа жима гара делахь, дакъа а жимах дерг кхачийта. Царна хӀоранна а кхочун долу лаьттан дакъа дагардинчу халкъе хьаьжжина хилийта.</verse>
				<verse number="55">Кхаж а тосуш, латта дӀасадекъа. ХӀора гаранна, шен тайпанан ден цӀаре хьаьжжина, махкахь долу лаьттан дакъа кхочур ду.</verse>
				<verse number="56">Доккхачу а, жимачу а тайпанашна юкъахь лаьттан дакъош кхаж тасарца дӀасадоькъур ду».</verse>
				<verse number="57">Левихойн тӀаьхьенах багарбинарш шен гаранашца иштта бара: ГӀиршанах бевллера гӀиршанхой, КхахӀатах — кхахӀатхой, Мерарих — мерарихой.</verse>
				<verse number="58">Левин гаранаш иштта дара: Ливанин гара, Хьевронан гара, Махьлин гара, Мушхьин гара, Кхорахьан гара. КхахӀатан хилира кӀант Ӏамрам.</verse>
				<verse number="59">Ӏамраман зудчун цӀе Йохабадат яра. Иза а яра Левин тайпанах схьаяьлла. Иза Мисар-махкахь дуьнен чу яьллера. Ӏамраман а, Йохабадатан а ши кӀант вара: АхӀарон а, Муса а. Иштта цхьа йоӀ а яра церан, цу шина кӀентан йиша йолу Марем.</verse>
				<verse number="60">АхӀаронан кӀентий хӀорш бара: Надаб, АбихӀу, ЭлиӀазар, Итамар.</verse>
				<verse number="61">Ткъа Надаб а, АбихӀу а велира, хӀунда аьлча Везачу Эло магийна йоцучу цӀергахь даьккхинера цу шиммо Везачу Элана лерина сагӀа.</verse>
				<verse number="62">Дерриге а цхьа бутт цул лакхара а хан йолу халкъ дагардича, царна юкъахь боьршачу нахах ткъе кхоъ эзар стаг хилира. Левихой дерриге а Исраилан халкъаца цхьаьна багар ца бинера, хӀунда аьлча исраилхошна юкъахь царна лаьттан дакъа ца кхаьчнера.</verse>
				<verse number="63">Оццул дара Мусас а, динан дас ЭлиӀазара а дагардина долу Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гӀалина юххехь долчу Йордан-хин йистехь хилла долу Исраилан халкъ.</verse>
				<verse number="64">Тохара хьалха Синай яьссачу арахь Мусас а, динан дас АхӀарона а дагардинчарах цхьа а адам хӀинца дагардинчу халкъана юкъахь дацара.</verse>
				<verse number="65">Везачу Эло хӀетахьлерчу исраилхошка аьллера, уьш яьссачу арахь берриге а хӀаллакьхир бу. Царах цхьа а дийна ца виснера, Епунин кӀант Килаб а, Нунин кӀант ЮшаӀ а воцург.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="27">
				<verse number="1">Хьепаран кӀентан а, ГалӀадан кӀентан а, Макиран кӀентан а, Маннашан кӀентан а, Юсупан кӀант волчу Цалпихьадан пхи йоӀ яра: Махьила, НуӀат, Хьугила, Малка, Тирца.</verse>
				<verse number="2">И зударий, гуламан четаран чуволлучу метте а баьхкина, Мусана а, динан дена ЭлиӀазарна а, халкъан куьйгалхошна а, дерриг Исраилан халкъана а хьалха дӀахӀиттира. Цара элира:</verse>
				<verse number="3">«Яьссачу арахь тхан да велира. Везачу Элана дуьхьалваьллачу Кхорахьна тӀаьхьахӀиттинчу нахана юкъахь вацара иза, ткъа шех даьлла къа бахьана долуш веллера иза. Тхан ден кӀентий бацара.</verse>
				<verse number="4">Тхан ден кӀентий ца хиларна, цуьнан цӀе дуьнен чуьра дӀаяйа езий те? Тхан ден вежаршна юкъахь тхуна а лаьттан дакъа кхачийтахьара».</verse>
				<verse number="5">Мусас и гӀуллакх Везачу Элана тӀедаьхьира.</verse>
				<verse number="6">Везачу Эло Мусага жоп делира:</verse>
				<verse number="7">«Цалпихьадан йоӀарша нийса боху. Церан ден вежаршна юкъахь царна а лаьттан дакъа кхачийта. Церан дена догӀуш хилла долу лаьттан дакъа цуьнан метта царна кхачаде.</verse>
				<verse number="8">Ткъа Исраилан халкъана тӀе а дуьллуш, хӀара дӀахьедар де: „Нагахь цхьаннан кӀант ца хиллехь, иза велча, цу стеган лаьттан дакъа цуьнан йоӀана дӀадала деза.</verse>
				<verse number="9">Ткъа нагахь стеган йоӀ а ца хиллехь, цу стеган лаьттан дакъа цуьнан вежаршна дӀадала деза.</verse>
				<verse number="10">Нагахь санна цу стеган вежарий ца хиллехь, цуьнан лаьттан дакъа дӀадала деза цуьнан ден вежаршна.</verse>
				<verse number="11">Ткъа нагахь санна цу стеган ден вежарий ца хиллехь, и лаьттан дакъа цуьнан гаранехь уггаре а юххера волчу гергарчу стагана дӀадала деза, иза цуьнан дола а доккхуш. Веза Эла волчу Аса Мусана тӀедиллина ма-хиллара, исраилхошна юкъахь долу парз хир ду иза“».</verse>
				<verse number="12">Везачу Эло Мусага элира: «Ӏабарим цӀе йолчу лаьмнийн регӀахь болчу хӀокху лома тӀе а валий, цу тӀера дӀахьажа Аса Исраилан халкъана луш долчу лаьтте.</verse>
				<verse number="13">Цу лаьтте дӀахьаьжначул тӀаьхьа, хьо дӀа а кхелхина, хьайн дайх дӀакхетар ву, хьан ваша АхӀарон дӀа-ма-кхеттара,</verse>
				<verse number="14">хӀунда аьлча Цин цӀе йолчу яьссачу арахь хиш долчу меттехь халкъ карзахдаьллачу хенахь, ахьа а, АхӀарона а, Аса шуьшинна тӀедиллинчунна дуьхьал а волуш, халкъана хьалха Сан возалла къобал ца дира». (Уьш дара Цин цӀе йолчу яьссачу арахь долчу Мериба-Кхадеш-шовданан хиш.)</verse>
				<verse number="15">Мусас Везачу Эле жоп делира:</verse>
				<verse number="16">«Ва Веза Эла, муьлххачу а дегӀана чохь долчу синан Дела, хӀокху халкъана тӀехь куьйгалхо хила везарг къобалвехьа,</verse>
				<verse number="17">халкъ дӀадуьгун волу а, тӀом бечу хенахь нахана тӀехь урхалла ден волу а, Везачу Элан халкъ Ӏу воцу жа санна ца дисийтархьама».</verse>
				<verse number="18">ТӀаккха Везачу Эло Мусага элира: «Шена чохь доьналлин са долуш волчу Нунин кӀантана ЮшаӀана хьайн куьйгаш тӀедахка.</verse>
				<verse number="19">Иза, динан дена ЭлиӀазарна хьалха а, дерриге а халкъана хьалха а дӀа а хӀоттавай, царна хьалха урхаллин гӀуллакх дарна къобалве.</verse>
				<verse number="20">Хьайн олаллин дакъа ло цунна, Исраилан дерриге а халкъ цунна муьтӀахь хилийтархьама.</verse>
				<verse number="21">ЮшаӀ динан да волчу ЭлиӀазарца воьзна хир ву, хӀунда аьлча ЮшаӀана тӀера ЭлиӀазара Везачу Эле хаттар дийр ду Урим цӀе йолчу безачу тӀулгаца. Везачу Элан тӀедилларца ЮшаӀ а, дерриге а Исраилан халкъ а тӀаме дӀагӀур ду я юхадоьрзур ду».</verse>
				<verse number="22">Везачу Эло шена тӀедиллинарг кхочушдира Мусас. Динан дена ЭлиӀазарна а, дерриг халкъана а хьалха дӀахӀоттийра цо ЮшаӀ.</verse>
				<verse number="23">ЮшаӀана тӀе шен куьйгаш а дехкина, иза къобалвира Мусас, Везачу Эло шена тӀедиллина ма-хиллара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="28">
				<verse number="1">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="2">«Исраилхошна тӀе а дуьллуш, ахьа иштта дӀаала: „Варелаш! Билгалъяьхначу хенашкахь Суна лерина долу Сан кхачанан сагӀанаш дахалаш. И сагӀанаш цӀера тӀехь даха дезаш ду, ткъа церан хьожа Суна тамехь хир ю“.</verse>
				<verse number="3">Цаьрга иштта дӀаала: „ЦӀера тӀехь аша Везачу Элана лерина даккха дезаш долу сагӀа хӀара ду: хӀора денна бан беза дийнаташ дагоран сагӀина лерина шо кхаьчна болу шайна тӀехь цхьа а сакхт доцу ши боьрша Ӏахар.</verse>
				<verse number="4">Цхьа Ӏахар Ӏуьйранна баго беза, шолгӀаниг — суьйранна.</verse>
				<verse number="5">ХӀора сагӀанца кӀен сагӀина лерина дан деза шех хӀинан доьалгӀа дакъа тоьлла долчу зайтдаьттанца эдина долу бархӀ кад тоьлла дама.</verse>
				<verse number="6">Иза ду хӀора дийнахь доккху дагоран сагӀа, Синай-лома тӀехь долийна долу. Иза цӀера тӀехь даьккхина сагӀа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю.</verse>
				<verse number="7">Иштта дийнаташ дагоран сагӀа доккхучу хенахь чагӀаран сагӀа а даккха деза. ХӀора Ӏахарца цхьаьна дан деза хӀинан доьалгӀа дакъа долу чагӀар. Иза Везачу Элана лерина сагӀа ду, езачу меттехь дотта деза иза.</verse>
				<verse number="8">Шаьш Ӏуьйранна доккхуш ма-хиллара, суьйранна а даккха деза аша дагоран сагӀа, шолгӀа Ӏахар а багош, цуьнца цхьаьна кӀен сагӀа а, чагӀаран сагӀа а доккхуш. Иза хир ду Везачу Элана тамехь йолу хьожа йохуьйту цӀера тӀехь даьккхина сагӀа“».</verse>
				<verse number="9">«Далла леринчу шоьтан дийнахь а бан беза шо кхаьчна болу ши боьрша Ӏахар, шайна тӀехь цхьа а сакхт доцуш болу. Цуьнца цхьаьна кӀен сагӀина лерина дан деза зайтдаьттанах эдина долу ялхитта кад тоьлла кӀен дама а, цуьнца цхьаьна чагӀаран сагӀина лерина чагӀар а.</verse>
				<verse number="10">ХӀора дийнахь доккхучу сагӀина а, цуьнца догӀучу чагӀаран сагӀина а тӀетоьхна дохуш долу Далла леринчу шоьтан деношкахь шатайпа доху дагоран сагӀа ду иза».</verse>
				<verse number="11">«ХӀора беттан хьалхарчу дийнахь Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран сагӀанаш даха. Иштта дийнаташ дан деза аша: шайна тӀехь цхьа а сакхт доцу ши старгӀа, цхьа ка, шо кхаьчна болу ворхӀ боьрша Ӏахар.</verse>
				<verse number="12">ХӀора старгӀица цхьаьна кӀен сагӀина лерина зайтдаьттанах эдина долу цхьа сахь тоьлла кӀен дама а дан деза аша. Ткъа коьмаца дан деза кӀен сагӀина лерина зайтдаьттанах эдина долу ялхитта кад тоьлла кӀен дама.</verse>
				<verse number="13">Иштта хӀора Ӏахарца дан деза кӀен сагӀина лерина долу зайтдаьттанах эдина бархӀ кад тоьлла кӀен дама. Иза цӀера тӀехь даьккхина долу дагоран сагӀа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю.</verse>
				<verse number="14">ЧагӀаран сагӀина лерина цхьана старгӀица цхьаьна аххӀин чагӀар а, коьмаца цхьаьна хӀинан кхоалгӀа дакъа чагӀар а, цхьана Ӏахарца цхьаьна хӀинан доьалгӀа дакъа чагӀар а дан деза. Цу тайпана дийнаташ дагоран сагӀа даккха деза шеран хӀора бутт болалучу хенахь.</verse>
				<verse number="15">Шаьш хӀора дийнахь дохучу дийнаташ дагоран а, чагӀаран а сагӀанел сов Везачу Элана лерина къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша».</verse>
				<verse number="16">«Шеран хьалхарчу беттан дейтталгӀачу дийнахь Везачу Элана лерина Пасахьан дезде хир ду.</verse>
				<verse number="17">Ткъа цу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь кхин дезде а долалур ду. ВорхӀ дийнахь совсоза болчу бедах деттина бепиг даа деза.</verse>
				<verse number="18">Цу дезачу денойн хьалхарчу дийнахь беза гулам дӀахӀотто беза аша. Цу дийнахь вукху деношкахь санна болу болх ма бе.</verse>
				<verse number="19">ЦӀера тӀехь даьккхина сагӀа санна, Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран иштта сагӀа даккха: ши старгӀа а, цхьа ка а, шо кхаьчна болу ворхӀ Ӏахар а. Уьш тӀехь цхьа а сакхт доцуш хила беза.</verse>
				<verse number="20">Иштта цаьрца цхьаьна кӀен сагӀина лерина зайтдаьттанах эдина долу тоьлла кӀен дама а кечде: хӀора старгӀица ткъе биъ кад дама, коьмаца ялхитта кад дама,</verse>
				<verse number="21">ткъа ворхӀ Ӏахарх хӀоранца бархӀ кад дама.</verse>
				<verse number="22">Къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза, шайн дуьхьа къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдархьама.</verse>
				<verse number="23">ХӀора дийнахь, шаьш дохучу Ӏуьйренан дагоран сагӀанел совдахий дахалаш хӀара сагӀанаш.</verse>
				<verse number="24">Иштта кӀиранан хӀора дийнахь кечделаш шайх йогӀу хаза хьожа Везачу Элана тамехь хуьлу а, цӀера тӀехь даьхна долу а хӀара кхачанан сагӀанаш. Шаьш хӀора дийнахь дохучу дийнаташ дагоран сагӀанел совдахий даха и сагӀанаш.</verse>
				<verse number="25">Цул тӀаьхьа ворхӀалгӀачу дийнахь а беза гулам дӀахӀотто беза аша. Цу дийнахь вукху деношкахь санна болу болх ма бе».</verse>
				<verse number="26">«Дуьххьарлера ялта схьаэцаран де долчу, ШавуӀот цӀе йолчу дезачу дийнахь, шайн керлачу ялтих Везачу Элана лерина кӀен сагӀа шаьш даьккхича, аша беза гулам дӀахӀоттабе, ткъа вукху деношкахь санна болу болх ма бе.</verse>
				<verse number="27">Шех йогӀу хаза хьожа Везачу Элана тамехь хуьлуш долу дийнаташ дагоран иштта сагӀа даккха: ши старгӀа а, цхьа ка а, шо кхаьчна болу ворхӀ боьрша Ӏахар а.</verse>
				<verse number="28">Цаьрца цхьаьнадогӀу кӀен сагӀанаш а даха: хӀора старгӀица зайтдаьттанах эдина долу ткъе биъ кад тоьлла кӀен дама а, коьмаца ялхитта кад дама а,</verse>
				<verse number="29">ткъа хӀора Ӏахарца бархӀ кад дама а.</verse>
				<verse number="30">Иштта къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза, шайн дуьхьа къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдархьама.</verse>
				<verse number="31">Цу тайпана, хӀора Ӏуьйранна дохуш долчу дийнаташ дагоран а, кӀен а сагӀанел совдахий, да Суна уьш, церан чагӀаран сагӀа а доккхуш. Аша сагӀина далош долу дийнаташ шайна тӀехь цхьа а сакхт доцуш хила деза».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="29">
				<verse number="1">«ВорхӀалгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь, аша беза гулам дӀахӀоттабе. Цу дийнахь вукху деношкахь санна болу болх ма бе. Локхучу маӀийн деза де хир ду шуна.</verse>
				<verse number="2">Везачу Элана тамехь йолу хаза хьожа хьалайохуьйту дийнаташ дагоран сагӀа иштта даккха: цхьа старгӀа а, цхьа ка а, шо кхаьчна болу ворхӀ боьрша Ӏахар а. Массо а и дийнаташ шайна тӀехь сакхт доцуш хила деза.</verse>
				<verse number="3">Цаьрца цхьаьна кӀен сагӀина лерина зайтдаьттанах эдина долу тоьлла кӀен дама а кечде: хӀора старгӀица ткъе биъ кад дама, коьмаца ялхитта кад дама,</verse>
				<verse number="4">ткъа ворхӀ Ӏахарх хӀоранца дан деза бархӀ кад дама.</verse>
				<verse number="5">Къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза, шайна тӀера къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдайтархьама.</verse>
				<verse number="6">Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара, хӀора баттахь дохучу дийнаташ дагоран сагӀанел а, цуьнца цхьаьна дохучу кӀен сагӀанел а, хӀора дийнахь дохучу дийнаташ дагоран сагӀанел а, цуьнца цхьаьна дохучу кӀен а, чагӀаран а сагӀанел а сов доккхуш ду хӀара сагӀа. Иза цӀера тӀехь даьккхина сагӀа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь хуьлу».</verse>
				<verse number="7">«Оцу ворхӀалгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь аша беза гулам дӀахӀоттабе. Массо а хӀуманна тӀера марха а кхобуш, цхьа а тайпа болх ма бе цу дийнахь.</verse>
				<verse number="8">Везачу Элана тамехь йолу хаза хьожа йогӀу дийнаташ дагоран сагӀа даккха: цхьа старгӀа а, цхьа ка а, шо кхаьчна болу ворхӀ боьрша Ӏахар а бай. Уьш тӀехь сакхт доцуш хила деза.</verse>
				<verse number="9">Цаьрца цхьаьна кӀен сагӀина лерина хӀора дийнатца зайтдаьттанах эдина долу тоьлла кӀен дама а кечде: хӀора старгӀица ткъе биъ кад дама, коьмаца ялхитта кад дама,</verse>
				<verse number="10">Иштта оцу хӀора ворхӀ Ӏахарца дан деза бархӀ кад дама.</verse>
				<verse number="11">Къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдечу хенахь шаьш дохучу къинан сагӀанел а, хӀора дийнахь аша дохучу дийнаташ дагоран а, цаьрца дохучу кӀен а, чагӀаран а сагӀанел сов цхьа бож къинах долу сагӀа санна яккха еза аша».</verse>
				<verse number="12">«ВорхӀалгӀачу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь аша беза гулам дӀахӀоттабе. Кхечу деношкахь санна болу болх а ца беш, Везачу Элана лерина долу и дезде ворхӀ дийнахь дазде аша.</verse>
				<verse number="13">Шех хаза хьожа йогӀу Везачу Элана тамехь хуьлу дийнаташ дагоран иштта сагӀа даккха цӀера тӀехь: кхойтта старгӀа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта боьрша Ӏахар а. И дийнаташ шайна тӀехь сакхт доцуш хила деза.</verse>
				<verse number="14">Цаьрца цхьаьна кӀен сагӀина лерина хӀора дийнатца зайтдаьттанах эдина долу тоьлла кӀен дама а кечде: кхойтта старгӀанах хӀоранца ткъе биъ кад дама, шина коьмах хӀоранца ялхитта кад дама,</verse>
				<verse number="15">бейтта Ӏахарх хӀоранца бархӀ кад дама.</verse>
				<verse number="16">Къинан сагӀина лерина яло еза цхьа бож. Уьш хир ду аша хӀора дийнахь дохучу дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьхна дохуш долу сагӀанаш.</verse>
				<verse number="17">ШолгӀачу дийнахь яло еза шийтта старгӀа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Ӏахар а. Уьш шайна тӀехь сакхт доцуш хила деза.</verse>
				<verse number="18">СтаргӀанашца а, койшца а, Ӏахаршца а цхьаьна, церан терахье хьаьжжина, кӀен а, чагӀаран а сагӀанаш даха, шайна тӀедиллина ма-хиллара.</verse>
				<verse number="19">Ткъа хӀора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьккхина къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша.</verse>
				<verse number="20">КхозлагӀчу дийнахь яло еза цхьайтта старгӀа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Ӏахар а. Уьш тӀехь сакхт доцуш хила деза.</verse>
				<verse number="21">Цаьрца цхьаьна дан деза кӀен а, чагӀаран а сагӀанашна лерина долу хӀума, ялийначу старгӀанийн а, койн а, Ӏахарийн а терахье хьаьжжина, Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара.</verse>
				<verse number="22">Ткъа хӀора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьккхина къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша.</verse>
				<verse number="23">ДоьалгӀачу дийнахь яло еза итт старгӀа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Ӏахар а. Уьш шайна тӀехь сакхт доцуш хила деза.</verse>
				<verse number="24">Цаьрца а дан деза кӀен сагӀина а, чагӀаран сагӀина а лерина дахьаш дерг. Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара, ялийначу старгӀанийн а, койн а, Ӏахарийн а терахье хьаьжжина, хила деза иза.</verse>
				<verse number="25">Ткъа хӀора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьккхина къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша.</verse>
				<verse number="26">ПхоьалгӀачу дийнахь яло еза исс старгӀа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Ӏахар а. Уьш тӀехь сакхт доцуш хила деза.</verse>
				<verse number="27">Цаьрца а дан деза кӀен а, чагӀаран а сагӀанашна дахьаш дерг. Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара, сагӀина лерина ялийначу старгӀанийн а, койн а, Ӏахарийн а терахье хьаьжжина дан деза иза.</verse>
				<verse number="28">Ткъа хӀора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьккхина къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша.</verse>
				<verse number="29">ЙолхалгӀачу дийнахь яло еза бархӀ старгӀа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Ӏахар а. Уьш тӀехь сакхт доцуш хила деза.</verse>
				<verse number="30">Цаьрца дан деза кӀен а, чагӀаран а сагӀанашна лерина дахьаш дерг. Иза хила деза, Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара, ялийначу старгӀанийн а, койн а, Ӏахарийн а терахье хьаьжжина.</verse>
				<verse number="31">Ткъа хӀора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьккхина къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша.</verse>
				<verse number="32">ВорхӀалгӀачу дийнахь яло еза ворхӀ старгӀа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Ӏахар а. Уьш тӀехь сакхт доцуш хила деза.</verse>
				<verse number="33">Цаьрца а дан деза кӀен а, чагӀаран а сагӀанашна лерина дахьаш дерг. Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара, сагӀина лерина ялийначу старгӀанийн а, койн а, Ӏахарийн а терахье хьаьжжина хила деза иза.</verse>
				<verse number="34">Ткъа хӀора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьккхина къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша.</verse>
				<verse number="35">БархӀалгӀачу дийнахь беза гулам дӀахӀоттабе. Вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь.</verse>
				<verse number="36">Шех хаза хьожа йогӀу Везачу Элана тамехь хуьлу дийнаташ дагоран иштта сагӀа даккха цӀера тӀехь: цхьа старгӀа а, цхьа ка а, шо кхаьчна болу ворхӀ Ӏахар а. Уьш тӀехь сакхт доцуш хила деза.</verse>
				<verse number="37">Цаьрца дан деза кӀен а, чагӀаран а сагӀанашна лерина дахьаш дерг. Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара, сагӀина лерина ялийначу старгӀанийн а, койн а, Ӏахарийн а терахье хьаьжжина, дан деза иза.</verse>
				<verse number="38">Ткъа хӀора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьккхина, къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша.</verse>
				<verse number="39">Иштта, шайн динан дезачу деношкахь цу тайпана дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а, бертан а сагӀанаш даха. Шаьш йина чӀагӀо кхочушхилийтархьама я шайн деган лаамца дохучу сагӀанел совдахий даха и сагӀанаш».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="30">
				<verse number="1">Везачу Эло шена тӀедиллинарг дерриге а дӀадийцира Мусас Исраилан халкъе.</verse>
				<verse number="2">Исраилхойн тайпанийн куьйгалхошка Мусас элира: «Везачу Эло вайна хӀара тӀедуьллу:</verse>
				<verse number="3">Нагахь цхьаммо Везачу Элана нигат дахь, я, шен сих дуй а бууш, цхьа хӀума дан ша дехкахь, цо шен дош дохо ца деза. Ша дийр ду аьлла, тӀе мел лаьцнарг кхочушдан деза цо.</verse>
				<verse number="4">Нагахь шен ден цӀахь Ӏаш йолчу йоӀстага Везачу Элана нигат дахь, я, шен сих дуй а бууш, цхьа хӀума дан ша дехкахь,</verse>
				<verse number="5">ткъа цу йоӀан дена, цо дина нигат я, шен сих дуй а бууш, цхьа хӀума дан цо дехкар дӀахезча, дуьхьало а ца еш иза ӀадӀийча, йоӀа мел дина нигат а, цо, шен сих дуй а бууш, кхочушдан ша дихкина хӀума а кхочушдан деза.</verse>
				<verse number="6">Ткъа нагахь цу йоӀан дена, и хӀума дӀа а хезна, цо дуьхьало яхь, цо мел дина нигат а, я цу йоӀа, шен сих дуй а бууш, кхочушдан ша дихкина мел долу хӀума а кхочушдан дезаш дац. Везачу Эло цунна гечдийр ду, цу йоӀан дас цунна дуьхьало йина дела.</verse>
				<verse number="7">Нагахь и йоӀ маре яханехь, ша дина нигат я, шен сих дуй а бууш, дукха сихъелла ша делла дош шена тӀехь доллушехь,</verse>
				<verse number="8">ткъа цуьнан майрачо, шена и дӀахезча, цхьа а тайпа дуьхьало ца яхь, цу йоӀа дина нигаташ а, я, шен сих дуй а бууш, цо ша йоьхкуш йина чӀагӀонаш а кхочушъян езаш ю.</verse>
				<verse number="9">Ткъа нагахь маре яханчу цу йоӀан майрачо, шена дӀахезча, дуьхьало яхь, йоӀана тӀехь долу нигат а, дукха сихъелла шен сих цо делла дош а майрачо дохор ду, Везачу Эло цу йоӀана геч а дийр ду.</verse>
				<verse number="10">Йисина я дӀакъаьстина Ӏаш йолчу зудчо дина нигат — шен сих цо ша йихкина муьлхха а чӀагӀо — кхочушъян езаш ю.</verse>
				<verse number="11">Нагахь зудчо шен майрачун цӀентӀехь нигат динехь я, шен сих дуй а бууш, цхьа хӀума дан ша дехкахь,</verse>
				<verse number="12">ткъа майрачунна иза дӀахезча, цо, вист а ца хуьлуш, дуьхьало а ца еш, иза дитинехь, цу зудчо дина нигаташ а, цо, шен сих дуй а бууш, ша йоьхкуш йина чӀагӀонаш а кхочушхир ю.</verse>
				<verse number="13">Амма нагахь санна зудчун майрачо шена и дӀахезча, уьш дохадахь, зудчун багах мел даьлла нигат а, цо шена доьхкуш йина чӀагӀо а кхочушъян езаш яц. Цуьнан майрачо и хӀума дохийна дела, Везачу Эло цу зудчунна гечдийр ду.</verse>
				<verse number="14">Цу зудчо дина муьлхха нигат а, дуй а бууш, цхьа хӀума ца дан цо йина муьлхха чӀагӀо а тӀеэца а, тӀе ца эца а бакъо ю цуьнан майрачун.</verse>
				<verse number="15">Ткъа нагахь майрачо хенан йохаллехь, дуьхьало а ца еш иза дитинехь, цо шен зудчо мел дина нигат а, цо шена доьхкуш мел йина чӀагӀонаш а тӀечӀагӀйо, шена дӀахезча, цунах лаьцна хӀумма а ца олуш, ша иза Ӏадйитина дела.</verse>
				<verse number="16">Ткъа нагахь шена и дӀахезча, тӀаьхьо, цхьа хан яьлча, стага и чӀагӀонаш йохаяхь, цо ша жоьпе озор ву».</verse>
				<verse number="17">Иштта ду майрачунна а, зудчунна а юкъахь йолчу а, дена а, ден цӀахь Ӏаш йолчу цуьнан йоӀана а юкъахь йолчу а юкъаметтигех лаьцна Везачу Эло Мусагахула тӀедехкина долу парзаш.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="31">
				<verse number="1">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="2">«Исраилан халкъана тӀера маданхошна бекхам бе, цул тӀаьхьа хьо, дӀа а кхелхина, хьайн дайх дӀакхетар ву».</verse>
				<verse number="3">Мусас халкъе элира: «Шайна юкъарчу цхьаболчу нехан кара герз ло. Везачу Элан дуьхьа маданхошна бекхам бан тӀаме бахийта уьш.</verse>
				<verse number="4">Исраилхойн дерриге а тайпанашкара хӀора тайпанна юкъара эзар стаг тӀаме дӀахьажаве».</verse>
				<verse number="5">Иштта, хӀора тайпанара эзар стаг дӀа а къастийна, тӀом бан кийча волу шийтта эзар исраилхо къобалвира цо.</verse>
				<verse number="6">ХӀора тайпанара волу эзар стаг а, динан ден ЭлиӀазаран кӀант Пайнехьас а тӀаме дӀахьажийра Мусас. Пайнехьасан кара дӀаелира езачу меттера йолу пхьегӀаш а, тӀамехь локху турбанаш а.</verse>
				<verse number="7">Везачу Эло Мусана тӀедиллина ма-хиллара, тӀамца маданхошна тӀебахара уьш. Боьрша нах берриге байира цара.</verse>
				<verse number="8">Байинчарна юкъахь вара маданхойн пхиъ паччахь: Ивай, Рекхам, Цура, Хьор, РебаӀ. БеӀаран кӀант БалиӀам а вийра цара туьраца.</verse>
				<verse number="9">Ткъа маданхойн зударий а, церан бераш а исраилхоша йийсаре дигира. Церан дерриге а хьайбанаш а, жаш а, церан долахь хилла долу хӀума а шайна хӀонсана дӀадаьхьира цара.</verse>
				<verse number="10">Маданхойн долахь хилла йолу ерриге а гӀаланаш а, меттаметтанаш а цара цӀе тесна ягийра.</verse>
				<verse number="11">Шаьш схьаяьккхина ерриг хӀума а, шайн хӀонс а — адамашна тӀера хьайбанашна тӀекхаччалц йолу ерриге а хӀума — схьа а эцна,</verse>
				<verse number="12">Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гӀалина юххехь долчу Йордан-хин йистехь болчу шайн меттаматте, Мусана а, динан дена ЭлиӀазарна а, Исраилан халкъана а тӀеяьхьира цара.</verse>
				<verse number="13">Муса а, динан да ЭлиӀазар а, халкъан берриг куьйгалхой а, меттаматтара ара а бевлла, тӀамера юхабирзинчу тӀемалошна дуьхьалбахара.</verse>
				<verse number="14">Муса оьгӀазвахара тӀамера цӀа бирзинчу тӀеман хьаькамашна — эзарна а, бӀенна а тӀехь хӀиттийначу хьаькамашна.</verse>
				<verse number="15">Мусас цаьрга элира: «Берриг а зударий дийна хӀунда битина аша?</verse>
				<verse number="16">БалиӀаман хьехамца ПаӀор цӀе йолчу меттехь исраилхой Везачу Элах дӀаберзийна болу зударий уьш ма бу! И бахьана долуш Везачу Элан халкъана юкъахь адам хӀаллакдеш ун ма даьржинера.</verse>
				<verse number="17">Иштта, байъий, дӀабаха берашна юкъара берриг кӀентий а, стагах кхетта болу берриг зударий а.</verse>
				<verse number="18">Ткъа зударшна юкъара цхьана а стеган куьг кхетаза болу йоӀарий шайна дийна бита.</verse>
				<verse number="19">Ткъа хӀинца шуна юкъара шен карах адам делла мел верг а, дийначу адаман докъах дӀа мел хьакхавелларг а шайн меттаматтана арахьа а валий, ворхӀ де даккха, ткъа кхозлагӀчу а, ворхӀалгӀачу а деношкахь шаьш а цӀанло, шайн йийсарехь берш а цӀанбалийта.</verse>
				<verse number="20">Ерриг а бедарш йитта, тӀаьрсигах а, гезарийн тӀергӀах а йина йолу ерриг хӀума а цӀанъе, иштта дечигах йина ерриге а пхьегӀаш а цӀанъе».</verse>
				<verse number="21">Динан дас ЭлиӀазара тӀамера схьабаьхкинчу тӀемалошка элира: «Везачу Эло Мусагахула тӀедиллина долу товрат-хьехаман парз иштта ду:</verse>
				<verse number="22">деши а, дети а, цӀаста а, эчиг а, гӀели а, даш а,</verse>
				<verse number="23">дерриг а цӀергахь дахчо мегаш долу хӀума, иза цӀандархьама, цӀерах чекхдаккха. Цул сов, и дерриг а хица цӀанде. Иштта цӀергахь догур долу хӀума а хих чекхдаккха.</verse>
				<verse number="24">Шайна тӀера бедарш ворхӀалгӀачу дийнахь аша йитта еза. Цул тӀаьхьа шу Далла хьалха цӀена хир ду, шуна меттаматте дахка магийтина ду».</verse>
				<verse number="25">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="26">«Схьаяьккхина еана хӀонс ахьа а, динан дас ЭлиӀазара а, халкъан тайпанийн куьйгалхоша а ягаръе, адамашна тӀера дуьйна бежанна тӀекхаччалц.</verse>
				<verse number="27">И хӀонс шина декъе екъа тӀамера схьабаьхкинчу тӀемалошна а, дисинчу халкъана а юкъахь.</verse>
				<verse number="28">ТӀамехь хиллачу тӀемалошкара Везачу Элана йогӀучу йолана схьаэца хӀора чохь са долчу пхи бӀе хӀуманна юкъара цхьаъ — адамаш, хьайбанаш, варраш, уьстагӀий я гезарий уьш елахь.</verse>
				<verse number="29">Церан ахдекъана юкъара схьа а эций, динан дега ЭлиӀазаре дӀало иза, Везачу Элана совгӀатна лерина.</verse>
				<verse number="30">Исраилан халкъан ахдекъах схьадаьккхинчух хӀора шовзткъе иттанна юкъара цхьаъ схьаэца — адамаш а, хьайбанаш а, варраш а, уьстагӀий а, гезарий а уьш елахь. Везачу Элан четарна юххехь ха деш болчу левихошка дӀало уьш».</verse>
				<verse number="31">Везачу Эло Мусана тӀедиллина ма-хиллара, кхочушдира иза Мусас а, динан дас ЭлиӀазара а.</verse>
				<verse number="32">ТӀемалоша тӀамера еанчу хӀонсах йисинарг хӀара яра: жимачу даьхни юкъара ялх бӀе кхузткъе пхийтта эзар дийнат,</verse>
				<verse number="33">доккхачу даьхних кхузткъе шийтта эзар дийнат,</verse>
				<verse number="34">кхузткъе цхьа эзар вир,</verse>
				<verse number="35">цкъа а стагах кхетаза болчу зударех — ерриг а ткъе шийтта эзар йоӀстаг.</verse>
				<verse number="36">ТӀамехь хиллачеран ахдекъана юкъадогӀура жимачу даьхни юкъара кхо бӀе ткъе вуьрхӀитта эзар пхи бӀе дийнат</verse>
				<verse number="37">(царах Везачу Элана совгӀатна лерина ялх бӀе кхузткъе пхийтта дийнат дара),</verse>
				<verse number="38">доккхачу даьхних ткъе ялхитта эзар дийнат (царах Везачу Элана совгӀатна лерина кхузткъе шийтта дийнат дара),</verse>
				<verse number="39">ткъе итт эзар пхи бӀе вир (царах Везачу Элана совгӀатна лерина кхузткъе цхьа вир яра),</verse>
				<verse number="40">ялхитта эзар адам (царах Везачу Элана совгӀатна лерина ткъе шийтта адам дара).</verse>
				<verse number="41">Мусас, Везачу Эло шена тӀедиллина ма-хиллара, Цунна совгӀатна лерина йолу ял динан дега ЭлиӀазаре дӀаелира.</verse>
				<verse number="42">ТӀемалоша деанчух исраилхойн ахдекъах дерг а дӀакъастийра Мусас.</verse>
				<verse number="43">Исраилан халкъана кхаьчначу ахдекъана юкъадогӀура: жимачу даьхних кхо бӀе ткъе вуьрхӀитта эзар пхи бӀе дийнат а,</verse>
				<verse number="44">Хьайба ткъе ялхитта эзар дара.</verse>
				<verse number="45">Вир яра ткъе итт эзар пхи бӀе.</verse>
				<verse number="46">Адам ялхитта эзар дара.</verse>
				<verse number="47">Исраилхойн ахдекъах шовзткъе иттаннах цхьа дакъа, адамашна юкъара а, бежанашна юкъара а дӀаийцира. И дерриг а, Везачу Эло Мусана тӀедиллина ма-хиллара, Везачу Элан четарна юххехь ха деш болчу левихошка дӀаделира.</verse>
				<verse number="48">Эскаран тобанашна тӀехӀиттийна болу эзарнийн а, бӀеннийн а хьаькамаш Мусана тӀебаьхкира.</verse>
				<verse number="49">Цара Мусага элира: «Ахьа тхан кара схьабелла тӀемалой багарбира хьан ялхоша. Царах цхьа а вайна вац.</verse>
				<verse number="50">Оха Везачу Элана сагӀина лерина хӀораммо а ша схьаяьккхинчух хӀума еана. Царна юкъахь ю деших йина иштта хӀуманаш: зӀенаш а, пхьаьрсах духку хӀазарш а, пӀелгах духку мухӀарш а, лергах ухку чӀагарш а, коча ухку хӀуманаш а. Уьш оха еана тхайн синойх Везачу Элана мах дӀабалархьама».</verse>
				<verse number="51">Мусас а, динан дас ЭлиӀазара а деших йина йолу ерриг а хӀуманаш дӀаийцира.</verse>
				<verse number="52">Эзарнийн а, бӀеннийн а хьаькамаша Везачу Элана совгӀатна деана долчу дерриг а дешин барам ялхитта эзар ворхӀ бӀе шовзткъе итт шекхал бара.</verse>
				<verse number="53">ТӀемалоша йоккхуш йолу хӀонс хӀораммо а шена йоккхура.</verse>
				<verse number="54">Мусас а, динан дас ЭлиӀазара а эзарнийн а, бӀеннийн а хьаькамашкара схьаийцира и деши. Иза гуламан четар чу деара цара, Везачу Элана хьалха исраилхойх дагалацамна.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="32">
				<verse number="1">Раабанхойн а, гадахойн а вуно дукха жаш дара. ЯӀзиран а, ГалӀадан а мехкаш жа дажорна дика хилар гира царна.</verse>
				<verse number="2">Цара, Мусана а, динан дена ЭлиӀазарна а, халкъан баьччанашна а тӀе а баьхкина, элира:</verse>
				<verse number="3">«Ӏатрут а, Дибон а, ЯӀзир а, Нимра а, Хьешбон а, ЭлиӀала а, Себам а, Набу а, БаӀун а гӀаланаш</verse>
				<verse number="4">тӀехь йолу а, Везачу Эло Исраилан халкъана хьалха эшийна болу а и мохк жа дажорна дика бу, ткъа хьан ялхойн жаш ду».</verse>
				<verse number="5">Цара элира: «Нагахь хьо тхуна реза велахь, хӀара мохк хьайн лешна дола схьалохьа. Ма дахахь тхо Йордан-хил дехьа».</verse>
				<verse number="6">Гадахошка а, раабанхошка а Мусас элира: «Шун вежарий тӀаме баха беза, ткъа шу кхузахь дуьсур ду?</verse>
				<verse number="7">Везачу Эло деллачу лаьтта тӀе даха дезарх дог хӀунда доккху аша Исраилан халкъан?</verse>
				<verse number="8">Аса Кхадеш-БарнаьӀара шаьш цу лаьтте хьажа дахийтинчу хенахь шун дайша а дира изза.</verse>
				<verse number="9">Ашкул цӀе йолчу тогӀи чу а кхаьчна, и мохк гира царна. Амма шайна Везачу Эло деллачу лаьттах исраилхойн дог даьккхира, цара уьш цу тӀе а ца бохуьйтуш.</verse>
				<verse number="10">Цу дийнахь Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара. Цо, чӀагӀо а еш, элира:</verse>
				<verse number="11">„Мисар-махкара арадаьллачу, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолчу хӀокху халкъана гур дац Аса ИбрахӀиме а, Исхьакхе а, Якъубе а, чӀагӀо а еш, лур ду аьлла долу латта, уьш кхоччуш Суна тешаме ца хилла дела.</verse>
				<verse number="12">Кхеназхо волчу Епунин кӀантана Килабана а, Нунин кӀантана ЮшаӀна а бен гур дац и латта, хӀунда аьлча уьш Везачу Элана кхоччуш тешаме бисира“.</verse>
				<verse number="13">Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара Исраилан халкъана. Цо шовзткъа шарахь яьссачу аренгахула лелийра уьш, Шена хьалха зулам дина долчу цу халкъан гара делла чекхдаллалц.</verse>
				<verse number="14">Ткъа хӀинца, Везачу Элан Исраилан халкъана оьгӀазвахар чӀагӀдалийтархьама, къинойх дуьзна долу шун гара дуьхьалдаьлла, шайн дай санна.</verse>
				<verse number="15">Нагахь санна шу Везачу Элах дӀадерзахь, Цо юха а дерриг а хӀара халкъ яьссачу арахь дуьтур ду, ткъа шу бахьана долуш, царна тӀе бохам богӀур бу».</verse>
				<verse number="16">Цу наха, Мусана тӀе а баьхкина, элира: «Оха кхузахь тхайн жа чудерзо гӀотанаш а йийр ю, тхайн зударшна а, берашна а гӀаланаш а йийр ю.</verse>
				<verse number="17">Ткъа тхо, кара герз а эцна, Исраилан халкъана хьалха а девлла, дӀагӀур ду, шайн меттиге оха уьш дӀабиггалц. Тхайн бераш, кху махкарчу бахархошкахьара царна кхерам ца хилийтархьама, чӀагӀйинчу гӀаланашкахь дуьтур ду оха.</verse>
				<verse number="18">Исраилан халкъах волчу хӀора стага а шена кхочун долу лаьттан дакъа дӀалаьцначул тӀаьхьа бен тхешан цӀа доьрзур дац тхо.</verse>
				<verse number="19">ХӀунда аьлча оха схьаоьцур дацара цаьрца цхьаьна Йордан-хил дехьа агӀор а, кхидӀа а долу лаьттан дакъош, нагахь тхайна лаьттан дакъош Йордан-хина кху агӀор малхбалехьа нисделча».</verse>
				<verse number="20">Мусас цаьрга элира: «Нагахь шу иштта лелахь — тӀаме дахархьама, Везачу Элана хьалха аша шайн кара герз схьа а эцахь,</verse>
				<verse number="21">нагахь герз карахь долу шух хӀорра а, Везачу Эло Шен мостагӀий дӀалахккалц, Цунна хьалха Йордан-хил дехьа а валахь,</verse>
				<verse number="22">нагахь шу, Везачу Элана хьалха и мохк кара а берзийна, кхуза юхадерзахь, Везачу Элана гергахь а, Исраилан халкъана хьалха а шу бехке хир дац, ткъа хӀара латта Везачу Элана гергахь шун долахь хир ду.</verse>
				<verse number="23">Амма хаа ду шуна, аша иза ца дахь, Везачу Элана дуьхьал аша къа латор ду. Хаа ду шуна, аша латийначу къинна шуна таӀзар дийр ду!</verse>
				<verse number="24">Шайн зударшна а, берашна а гӀаланаш а хӀиттае, шайн жашна гӀотанаш а кечъе, амма шаьш дийр ду аьлларг кхочушде».</verse>
				<verse number="25">Гадахоша а, раабанхоша а Мусага элира: «Хьан ялхоша кхочушдийр ду олахочо шайна тӀедиллинарг.</verse>
				<verse number="26">Тхан бераш а, зударий а, жаш а, хьайбанаш а ГалӀад-махкарчу кху гӀаланашкахь дуьсур ду.</verse>
				<verse number="27">Ткъа тӀаме ваха кара герз схьаэцна волу хьан массо ялхо а, шен олахочо ма-бохху, тӀом бархьама Везачу Элана хьалха Йордан-хил дехьавер ву».</verse>
				<verse number="28">Мусас дӀахьедар дира динан дега ЭлиӀазаре а, Нунин кӀанте ЮшаӀе а, исраилхойн тайпанийн куьйгалхошка а.</verse>
				<verse number="29">Цо цаьрга элира: «Нагахь санна гадахой а, раабанхой а — царах тӀамана кийча волу хӀорра а — Везачу Элана хьалха шуьца Йордан-хил дехьа а бовлахь, шуна хьалха цара и мохк шайн кара а берзабахь, тӀаккха дӀало аша ГалӀад-мохк церан дола.</verse>
				<verse number="30">Ткъа нагахь санна уьш, карахь герз а доцуш, шуьца цхьаьна Йордан-хил дехьабовлахь, шуьца цхьаьна царна а кхочур ду КанаӀан-махкахь долу лаьттан дакъош».</verse>
				<verse number="31">Гадахоша а, раабанхоша а, жоп а луш, элира: «Везачу Эло хьан ялхой долчу тхоьга де аьлларг кхочушдийр ду оха.</verse>
				<verse number="32">Везачу Элана хьалха тхо, тӀамана кийча а долуш, Йордан-хил дехьадевр ду, амма тхуна кхочун долу лаьттан дакъош Йордан-хина кху агӀор хир ду».</verse>
				<verse number="33">Мусас дӀаелира гадахошна а, раабанхошна а, Юсупан кӀентан Маннашан ахтайпанна а эмархойн паччахь хилла волчу Сихьонан пачхьалкх а, Башанан паччахь хилла волчу ӀовгӀин пачхьалкх а — берриге а и мохк а, цунна тӀехь йолу гӀаланаш а, гӀаланашна гонах долу латтанаш а.</verse>
				<verse number="34">Гадахоша юхаметтахӀиттийра иштта гӀаланаш: Дибон, Ӏатрут, ӀаруӀер,</verse>
				<verse number="35">Ӏатрут-Шупан, ЯӀзир, ЙогӀбахӀа,</verse>
				<verse number="36">Байт-Нимра, Байт-ХӀаран. Царах гадахоша чӀагӀйина гӀаланаш йира. Иштта шайн жашна гӀотанаш а йира цара.</verse>
				<verse number="37">Раабанхоша юхаметтахӀиттийра Хьешбон, ЭлиӀала, Кхиръятим,</verse>
				<verse number="38">иштта Набу а, БаӀал-МаӀун а (тӀаьхьо церан цӀераш хийцинера), иштта Сибма-гӀала а. Шаьш юхаметтахӀиттийначу гӀаланашна цӀераш техкира цара.</verse>
				<verse number="39">Маннашан кӀант волчу Макиран тӀаьхьенаша, ГалӀад-махка а бахана, цигара эмархой дӀа а лаьхкина, иза дӀалецира.</verse>
				<verse number="40">Иштта Мусас ГалӀад-мохк Маннашан кӀант волчу Макиран тӀаьхьенийн дола дӀабелира, ткъа уьш цигахь баха охьахевшира.</verse>
				<verse number="41">Маннашан тӀаьхьенах волчу Яира а, вахана, церан ярташ дӀалецира. Царна, Яиран ярташ аьлла, цӀе тиллира цо.</verse>
				<verse number="42">Иштта Нобахьас а, вахана, Кхинат-гӀала а, цунна гонах йолу ярташ а дӀалецира. Оцу гӀалина, Нобахьа аьлла, цӀе тиллира цо.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="33">
				<verse number="1">ХӀорш ю Мусан а, АхӀаронан а куьйга кӀел а далош, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина, Мисар-махкара халкъ арадаьллачул тӀаьхьа, исраилхоша шайн меттаметтанаш хӀиттийна меттигаш.</verse>
				<verse number="2">Везачу Эло шена тӀедиллина ма-хиллара, халкъо некъ бечу хенахь, уьш севцина меттигийн цӀераш дӀаязйинера Мусас. Иза новкъахь сецна меттигаш хӀорш ю:</verse>
				<verse number="3">РаӀамсас-гӀалара уьш арабевлира хьалхарчу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь, Пасахьан де чекхдаьллачу шолгӀачу дийнахь. Мисар-махкарчу массо а халкъана а гуш, майрра новкъа бевлира исраилхой.</verse>
				<verse number="4">Цу хенахь Везачу Эло хӀаллакбина болу шайн берриге а хьалха дуьнен чу бевлларш дӀабухкуш бара мисархой. Иштта кхел йинера Везачу Эло церан деланашна.</verse>
				<verse number="5">Цу тайпана, РаӀамсасера ара а даьлла, Сакхат цӀе йолчу меттигехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра Исраилан халкъо.</verse>
				<verse number="6">Сакхатара дӀа а бахана, яьссачу аренан йистехь лаьттачу Атамехь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.</verse>
				<verse number="7">Атамера ара а бевлла, БаӀал-Цепонна малхбалехь лаьтта Пи-ХӀахьират йолчу дӀабирзира уьш. Мигдол-меттигна уллохь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.</verse>
				<verse number="8">Пи-ХӀахьиратера ара а бевлла, хӀорда юккъехула чекх а бевлла, яьссачу ара баьхкира уьш. Атам цӀе йолчу яьссачу аренгахула кхаа дийнахь некъ а бина, Марра цӀе йолчу меттигехь меттамотт дӀахӀоттийра цара.</verse>
				<verse number="9">Марра цӀе йолчу меттера ара а бевлла, Элиме баьхкира уьш. Ткъа Элимехь дара шийтта хин хьоста а, кхузткъе итт хурманийн дитт а. Цигахь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.</verse>
				<verse number="10">Элимера дӀа а бахана, Эрзийн-хӀордана уллохь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.</verse>
				<verse number="11">Эрзийн-хӀордана уллора дӀа а бахана, Син цӀе йолчу яьссачу аренгахь меттамотт дӀахӀоттийра цара.</verse>
				<verse number="12">Син-яьссачу арара дӀа а бевлла, Дупикха цӀе йолчу меттехь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.</verse>
				<verse number="13">Дупикхара дӀа а бахана, Алуш цӀе йолчу меттехь меттамотт дӀахӀоттийра цара.</verse>
				<verse number="14">Алушера дӀа а бахана, Рапидам цӀе йолчу меттехь меттамотт дӀахӀоттийра цара. Цигахь мала хи дацара халкъана.</verse>
				<verse number="15">Рапидамера дӀа а бахана, Синай-яьссачу арахь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.</verse>
				<verse number="16">Синай-яьссачу арара дӀа а бевлла, Кхиброт-ХӀатаъву цӀе йолчу меттехь дӀахӀоттийра цара меттамотт.</verse>
				<verse number="17">Кхиброт-ХӀатаъвуэра дӀа а бахана, Хьацерут цӀе йолчу меттехь дӀахӀоттийра цара меттамотт.</verse>
				<verse number="18">Хьацерутера дӀа а бахана, Ритма цӀе йолчу меттехь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.</verse>
				<verse number="19">Ритмера дӀа а бахана, Римун-Парац цӀе йолчу меттехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.</verse>
				<verse number="20">Римун-Парацера дӀа а бахана, Либнехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.</verse>
				<verse number="21">Либнера дӀа а бахана, Рисехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.</verse>
				<verse number="22">Рисера дӀа а бахана, КхахӀилатехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.</verse>
				<verse number="23">КхахӀилатера дӀа а бахана, Шапар-лам тӀехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.</verse>
				<verse number="24">Шапар-лам тӀера дӀа а бахана, ХӀаридехь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.</verse>
				<verse number="25">ХӀаридера дӀа а бахана, Макхи-ХӀалут цӀе йолчу меттехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.</verse>
				<verse number="26">Макхи-ХӀалутера дӀа а бахана, Тахьатехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.</verse>
				<verse number="27">Тахьатера дӀа а бахана, ТӀахьирехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.</verse>
				<verse number="28">ТӀахьирера дӀа а бахана, Миткъехь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.</verse>
				<verse number="29">Миткъера дӀа а бахана, Хьашмунехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.</verse>
				<verse number="30">Хьашмунера дӀа а бахана, Мосиратехь меттамотт дӀахӀоттийра цара.</verse>
				<verse number="31">Мосиратера дӀа а бахана, Баней-ЯӀакханехь меттамотт дӀахӀоттийра цара.</verse>
				<verse number="32">Баней-ЯӀакханера дӀа а бахана, Хьор-Хьагид-Гад цӀе йолчу меттехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.</verse>
				<verse number="33">Хьор-Хьагид-Гадера дӀа а бахана, Ютбатехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.</verse>
				<verse number="34">Ютбатера дӀа а бахана, Ӏабрунехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.</verse>
				<verse number="35">Ӏабрунера дӀа а бахана, Ӏецйон-ГӀебар цӀе йолчу меттехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.</verse>
				<verse number="36">Ӏецйон-ГӀебарера дӀа а бахана, шайн меттамотт Цин олучу яьссачу арахь, Кхадеш цӀе йолчу меттехь, дӀахӀоттийра цара.</verse>
				<verse number="37">Кхадеш-меттера дӀа а бахана, Эдом-мехкан дозанехь болчу ХӀор-лома тӀехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.</verse>
				<verse number="38">Везачу Эло шена тӀедиллина ма-хиллара, динан да АхӀарон ХӀор-лома тӀевелира. Исраилан халкъ Мисар-махкара арадаьлла шовзткъа шо долуш, АхӀарон цигахь дӀакхелхира. Иза дара пхоьалгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь.</verse>
				<verse number="39">АхӀаронан цхьа бӀе ткъе кхо шо дара, иза ХӀор-лома тӀехь дӀакхелхинчу хенахь.</verse>
				<verse number="40">КанаӀан-махкахь къилбехьа вехаш волчу канаӀанхойн паччахьна Ӏародана дӀахезира, Исраилан халкъ схьадогӀуш ду аьлла.</verse>
				<verse number="41">ХӀор-лома тӀера дӀа а бевлла, исраилхоша Цалмуна-меттехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра.</verse>
				<verse number="42">Цалмунера дӀа а бахана, Пунонехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.</verse>
				<verse number="43">Пунонера дӀа а бахана, Обатехь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.</verse>
				<verse number="44">Обатера дӀа а бахана, Муаби-мехкан дозанехь йолчу, Ӏий-Ӏабарим цӀе йолчу меттехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.</verse>
				<verse number="45">Ӏий-Ӏабаримера дӀа а бахана, Дибон-Гадехь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.</verse>
				<verse number="46">Дибон-Гадера дӀа а бахана, Ӏалмун-Диблатайм цӀе йолчу меттигехь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.</verse>
				<verse number="47">Ӏалмун-Диблатаймера дӀа а бахана, Ӏабарим цӀе йолчу лаьмнашкахь, Набу-меттигна уллохь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.</verse>
				<verse number="48">Ӏабарим-лаьмнашкара дӀа а бахана, Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гӀалина юххехь долчу Йордан-хин йистехь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.</verse>
				<verse number="49">Муаби-мехкан аренашкахь Йордан-хин йистехь лаьттачу Байт-Яшимут-гӀалина тӀера Абал-Шитаймана тӀекхаччалц йолчу меттигашкахь дӀахӀиттийра исраилхоша шайн тобанийн меттаметтанаш.</verse>
				<verse number="50">Веза Эла вистхилира Мусага Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гӀалина юххехь долчу Йордан-хин йистехь уьш лаьттачу хенахь:</verse>
				<verse number="51">«Исраилан халкъе, дӀахьедар а деш, иштта дӀаала: „Шаьш, Йордан-хил дехьа а девлла, КанаӀан-махка дӀакхаьчча,</verse>
				<verse number="52">цу махкахь бехаш болу берриге а бахархой а дӀалахка. Массо а церан тӀулгех хедийна цӀуш а, боьттина бина цӀуш а, сагӀа доккху гунаш а дохаделаш.</verse>
				<verse number="53">И латта шайн дола а даккхий, цу тӀехь даха охьаховша, хӀунда аьлча и латта Аса шуна дӀаделла, иза шун дола даккхийтархьама.</verse>
				<verse number="54">Шайн тайпанашка хьаьжжина, кхаж тасарца дӀадекъа и латта. Гара доккхаха делахь, цунна лаьттан доккхах долу дакъа кхачийта, ткъа жимаха делахь, цунна жимах долу дакъа кхачийта. Кхаж тасарца царна мел кхочург церан долахь хир ду. Шайн дайн тайпанашка хьаьжжина, шайна юкъахь дӀадекъа и латта.</verse>
				<verse number="55">Ткъа нагахь санна аша шайна юкъара цу мехкан бахархой дӀа ца лелхабахь, царах шуна юкъахь бисинарш шун бӀаьргашна кӀохцалан коьллаш а, шун агӀонаш тӀе Ӏиттало мехий а санна хир бу. Цара шу дехаш долу латта гаттадийр ду шуна.</verse>
				<verse number="56">ТӀаккха Айса царна дан леринарг шуна дийр ду Аса“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="34">
				<verse number="1">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="2">«Исраилхошка, тӀе а дуьллуш, иштта дӀаала: „КанаӀан-махка шу дахча, цигахь шуна кхочун долчу лаьттан дозанаш хӀорш ду:</verse>
				<verse number="3">къилбехьа агӀор долу шун доза дӀадолалур ду Цин-яьссачу арара Эдомна юххехула. Шун къилбехьара долу доза Дуьрачу хӀордан къилбехьарчу меттера малхбалехьа дӀагӀур ду.</verse>
				<verse number="4">Иза, къилбехьа а дирзина, Акхрабайм-Ӏинна тӀе а кхаьчна, Цин-яьссачу аренгахула чекхдер ду. Цигара и доза, къилбехьарачу Кхадеш-БарнаьӀа цӀе йолчу метте а кхаьчна, Хьацар-Адар-гӀала а деана, Ӏацмун-гӀалахула чекхдер ду.</verse>
				<verse number="5">Ӏацмунера иза дӀагӀур ду Мисар-мехкан дозанехь долчу хи тӀе, цигара Дуьненаюккъера хӀорда тӀе а кхочуш.</verse>
				<verse number="6">Малхбузера дозанехь хир бу Боккха хӀорд. Иза шун малхбузехьара доза хир ду.</verse>
				<verse number="7">Къилбаседехьа долу шун доза дӀагӀур ду Боккхачу хӀорда тӀера ХӀор-ломана тӀе кхаччалц.</verse>
				<verse number="8">ХӀор-лома тӀера иза Хьамат-Ӏине кхачийта, Цедад-гӀалина тӀе а кхачош.</verse>
				<verse number="9">Цигара Зипрун-гӀалина тӀекхаччалц дӀагӀур ду и доза, Хьацар-Ӏейнан-гӀалина тӀе а кхочуш. Иштта хир ду къилбаседехьа долу шун доза.</verse>
				<verse number="10">Малхбузехь долу шайн доза чекхдаккха Хьацар-Ӏейнан-гӀалина тӀера Шипам-гӀалина тӀекхаччалц.</verse>
				<verse number="11">Шипам-гӀалина тӀера, Ӏейн-гӀалина малхбалехь йолчу Рабила-гӀалина тӀекхочур ду и доза. Цигара дӀа иза Канарот-Ӏоман малхбалерчу бердашкахула чекхдер ду.</verse>
				<verse number="12">Цул тӀаьхьа иза Йордан-хинехула дӀагӀур ду Дуьрачу хӀордана тӀекхаччалц. Массо а агӀор иштта дозанаш а долуш, шун мохк хир бу цунах“».</verse>
				<verse number="13">Исраилан халкъана тӀе а дуьллуш, Мусас элира: «Аша, кхаж а тесна, доккхун долу латта хир ду иза. Везачу Эло исс тайпанна а, Маннашан тӀаьхьенах долчу ахтайпанна а лур ду аьлла иза,</verse>
				<verse number="14">хӀунда аьлча Раабанан тайпанан а, Гадин тайпанан а, Маннашан ахтайпанан а доьзалша шайна догӀуш долу лаьттан дакъош дӀаэцна.</verse>
				<verse number="15">Оцу шина тайпанна а, ахтайпанна а делла долу лаьттан дакъош малхбалехь Йордан-хил дехьа лаьттачу Ерихон-гӀалина дуьхьал агӀор ду».</verse>
				<verse number="16">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="17">«Шуна латта декъа дӀахӀиттийначу нехан цӀераш хӀорш ю: динан да ЭлиӀазар а, Нунин кӀант ЮшаӀ а.</verse>
				<verse number="18">ХӀора тайпанах цхьацца куьйгалхо схьакъаставе царна гӀо дан латта декъийта.</verse>
				<verse number="19">Церан цӀераш хӀорш ю: ЯхӀудан тайпанна иза Епунин кӀант Килаб хир ву;</verse>
				<verse number="20">ШимӀин тайпанна — ӀамихӀудан кӀант Шамуал;</verse>
				<verse number="21">Бен-Яманан тайпанна — Кислунан кӀант Эли-Дада;</verse>
				<verse number="22">Данан тайпанна — ЙогӀлин кӀант волу эла Букхай;</verse>
				<verse number="23">Юсупан кӀентан Маннашан тайпанна — Ийпадан кӀант Хьаниал;</verse>
				<verse number="24">Юсупан кӀентан Эпрайман тайпанна — Шиптанан кӀант волу эла Къамуал;</verse>
				<verse number="25">Забулан тайпанна — Парнакан кӀант Эли-Цапан;</verse>
				<verse number="26">Иссарханан тайпанна — Ӏазанан кӀант волу эла Палтиал;</verse>
				<verse number="27">Ашаран тайпанна — Шалумин кӀант АхьъяхӀуд;</verse>
				<verse number="28">Напталан тайпанна — ӀамихӀудан кӀант волу эла ПидӀаил».</verse>
				<verse number="29">КанаӀан-махкара царна кхочуш долу лаьттан дакъош исраилхошна декъа Везачу Эло дӀахӀиттийна берш бу уьш.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="35">
				<verse number="1">Исраилан халкъ Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гӀалина уллохула догӀучу Йордан-хин йистехь, долчу хенахь, Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="2">«Исраилхошна тӀедилла шайна кхаьчначу лаьттан дакъош тӀехь йолчу гӀаланех цхьаерш левихошна дӀаялар, уьш цигахь бахийтархьама. Иштта оцу гӀаланашна гонах долу дежийлаш левихошна дӀадала деза цара.</verse>
				<verse number="3">Иштта, левихойн долахь гӀаланаш хир ю, уьш цигахь бахийтархьама, ткъа церан долахь дежийлаш хир ду церан даьхнина а, жашна а, кхидолчу хьайбанашна а лерина.</verse>
				<verse number="4">ГӀаланашна гонахара, аша левихошна дӀадала деза дежийлаш, гӀаланийн пенашна тӀера дӀадуьстича, массо а агӀор цхьацца эзар дол хила деза.</verse>
				<verse number="5">ГӀаланашна арахула малхбалехьа а, къилбехьа а, малхбузехьа а, къилбаседехьа а шишша эзар дол дӀадуста, ткъа гӀаланаш юккъехь хилийта. Иштта хир ду левихойн гӀаланашна гонах долу дежийлаш.</verse>
				<verse number="6">Аша левихошна лур йолчу гӀаланех ялх гӀала лурбоьлла нах ловчкъуш йолу гӀала хир ю. Оцу ялх гӀаланал сов шовзткъе ши гӀала дӀало царна.</verse>
				<verse number="7">Аша левихошна дӀаяла еза гонах дежийлаш долу шовзткъе бархӀ гӀала.</verse>
				<verse number="8">Аша дӀалур йолу гӀаланаш исраилхойн долахь йолчех хила еза. Доккхах долчу тайпано гӀаланаш сов дӀаяла еза, ткъа жимах долчу тайпано — кӀезиг гӀаланаш. Шайна кхаьчначу лаьттан декъе хьаьжжина, хӀора тайпано шен долахь йолчу гӀаланех цхьаерш дӀаяла еза».</verse>
				<verse number="9">Везачу Эло Мусага элира:</verse>
				<verse number="10">«Исраилан халкъе, дӀахьедар а деш, дӀаала: „Шаьш, Йордан-хил дехьа а девлла, КанаӀан-махка чу дахча,</verse>
				<verse number="11">оцу гӀаланашна юкъара шайна цхьаерш стагана дӀалачкъа гӀаланаш санна харжа. Ларамаза стаг вийнарг цига дӀавада мега.</verse>
				<verse number="12">И гӀаланаш бекхам лоьхучух дӀалачкъа йиш йолу меттигаш хир ю, стаг вийнарг халкъана хьалха кхел ечу хенал хьалха ца вейтархьама.</verse>
				<verse number="13">Ткъа аша оцу гӀуллакхна лерина схьакъастийнарг ялх гӀала хила еза.</verse>
				<verse number="14">Кхо гӀала Йордан-хил сехьа, важа кхоъ КанаӀан-махкахь билгалъяккха. Уьш хила еза лурбоьлла нах ловчкъуш йолу гӀаланаш.</verse>
				<verse number="15">Исраилан халкъана а, тӀевеанчунна а, тӀе а веана, шуна юкъахь вехаш волчунна а лерина хила еза уьш. Ларамаза стаг вийна хӀорра а бекхам лоьхучух дӀалачкъа цига дӀавада тарло.</verse>
				<verse number="16">Нагахь цхьаммо адам даллал чӀогӀа цунна тӀе аьчка хӀума тохахь, иза адам дойург лору. И стаг вен везаш ма ву!</verse>
				<verse number="17">Нагахь, цхьаннан карахь адам ден а тарлуш болу тӀулг а хилла, цо адам даллал чӀогӀа тӀе тӀулг тохахь, иза адам дийнарг лору. И стаг вен везаш ма ву!</verse>
				<verse number="18">Нагахь, адам ден а тарлуш йолу дечиган хӀума карахь а йолуш, стаг валлал чӀогӀа цхьаммо тохахь, иза адам дийнарг лору. И стаг вен везаш ма ву!</verse>
				<verse number="19">ЧӀир йоькхуш волчун шен а бакъо ю и стаг вен. И стаг шена дуьхьалкхетча, цо иза вуьйр ву.</verse>
				<verse number="20">Нагахь стаг валлал чӀогӀа цхьаммо иза дӀатеттинехь я вен дагахь цунна тӀе хӀума кхоьссинехь,</verse>
				<verse number="21">я нагахь, шен цхьана стагаца мостагӀалла долу дела, иза валлал цунна тӀе куьг тохахь, и стаг вен везаш ву — иза адам дийнарг лору. И стаг шена дуьхьалкхетча, чӀир йоькхуш волчо иза вуьйр ву.</verse>
				<verse number="22">Амма нагахь цхьаммо шен мостагӀалла доццушехь, цхьаъ дӀататтахь я дагахь а доцуш цунна тӀе цхьа хӀума тӀекхоссахь,</verse>
				<verse number="23">я нагахь цу стагаца шен мостагӀалла а доццушехь, цунна зуламехь дерг дан а ца луъушехь, и стаг ган а ца гуш, адам лийр долу тӀулг цунна тӀе цо божабахь, иза вала там бу.</verse>
				<verse number="24">ТӀаккха хӀокху сацамашка хьаьжжина, стаг вийначунна а, цӀий Ӏанорна чӀир йоькхуш волчунна а юкъахь дерг гуламо къасто деза.</verse>
				<verse number="25">Стаг вийнарг халкъо чӀир йоькхуш волчух кӀелхьарваккха а веза, иза дӀалечкъина хиллачу гӀала юхаверзо а веза. Иза цигахь вита веза, деза зайтдаьтта а хьаькхна, къобалвина волу динан коьрта да дӀакхалххалц.</verse>
				<verse number="26">Стаг вийнарг, ша лурвоьлла ведда веанчу гӀалин дозанашкахула араваьллехь,</verse>
				<verse number="27">иза чӀир йоькхучунна цу гӀалина арахьа дуьхьалкхета мега. Ткъа чӀир йоькхуш волчо и стаг вийча, цунна тӀехь цӀий Ӏаноран бехк хир бац.</verse>
				<verse number="28">ХӀунда аьлча и стаг вийнарг ша къайлаваьллачу цу гӀалахь Ӏан везаш вара, динан коьрта да дӀакхалххалц. Ткъа динан коьрта да дӀакхелхича, адам дийна волу стаг ша ваьхначу метте юхаверза мегар ду.</verse>
				<verse number="29">ХӀара тӀедехкина парзаш шуна хир ду, миччанхьа шу дехаш хилахь а, шун массо а тӀаьхьенашна.</verse>
				<verse number="30">Стаг мел вийнарг тешаша динчу тоьшаллица бен вен ца веза. Амма стаг вен кхел ярхьама, теш цхьаъ хилла Ӏан ца веза.</verse>
				<verse number="31">Адам дерна бехке волчун дахарх кхаьънаш ма эца. Адам дойург вен везаш ма ву.</verse>
				<verse number="32">Нагахь стаг дӀалочкъийла йолчу гӀала дӀаведдехь, динан коьрта да дӀакхалхале иза шен махка верза а, цигахь Ӏан а могуьйтуш, цуьнгара кхаьънаш ма эца.</verse>
				<verse number="33">Шаьш тӀехь дехаш долу латта цу тайпана бех ма де, хӀунда аьлча цӀий Ӏаноро латта бехдо. ЦӀий Ӏанийначун цӀий Ӏанадаро бен шена тӀехь цӀий Ӏанийна долчу лаьттан къа дӀа ца доккху.</verse>
				<verse number="34">Шена тӀехь Со Ӏаш а волуш, шу дехаш долу латта аша бех ма делаш, хӀунда аьлча Веза Эла волу Со исраилхошна юкъахь Ӏаш ву“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="36">
				<verse number="1">Юсупан кӀентан Маннашан кӀант волчу Макиран кӀентан ГалӀадан тӀаьхьенийн куьйгалхоша, тӀе а баьхкина, Мусана а, исраилхойн доьзалийн баьччанашна а хьалха бист а хуьлуш,</verse>
				<verse number="2">элира: «Везачу Эло тхан олахо волчу хьуна тӀедиллина, Исраилан халкъан дола а доккхуш, кхаж тасарца лаьттан дакъош декъар. Иштта Везачу Эло тхан олахочунна тӀедиллина тхан вешина Цалпихьадана кхаьчна долу лаьттан дакъа цуьнан йоӀаршна далар.</verse>
				<verse number="3">Нагахь санна и йоӀарий исраилхойн кхечу тайпанах болчу нахе маре гӀахь, церан лаьттан дакъа, тхан дайн тайпанан долара дӀа а даьлла, уьш маре баханчу нехан тайпанан дола дер ду. Кхаж тасарца тхуна кхаьчначу дакъошна юкъара дӀадер ду и латта.</verse>
				<verse number="4">Ур-атталла Исраилан халкъана юкъахь лелаш долу МеттахӀитторан шо тӀекхаьчча а, и дакъа уьш маре баханчеран тайпанан дола дер дара. ТӀаккха и дакъа тхан дайн тайпанна кхаьчначу лаьттан дакъошна юкъара дӀадер дара».</verse>
				<verse number="5">Мусас, Везачу Эло шега аьлла ма-хиллара, Исраилан халкъана тӀе а дуьллуш, элира: «Нийса боху Юсупан тӀаьхьенах долчу гарано.</verse>
				<verse number="6">Цалпихьадан йоӀаршца доьзна Везачу Эло иштта тӀедуьллу: „Шайн бӀаьргашна хазвеллачуьнга маре баха бакъо ю церан, амма уьш маре боьлхурш церан дайн гаранах долчу тайпанашкарчу нахах хила беза.</verse>
				<verse number="7">Иза иштта хила деза Исраилан халкъан дола даьлла долу латта цхьана тайпанера кхечу тайпанан дола ца далийтархьама, хӀунда аьлча исраилхойх волу хӀорра а шен дайн тайпанан долахь долчу лаьттаца воьзна хила веза.</verse>
				<verse number="8">Исраилан халкъах долчу тайпанан лаьттан дакъа шена кхаьчна йолу муьлхха а йоӀ шен ден гаранах долчу тайпанан цхьана стаге маре яха еза. Иза иштта хила деза, Исраилан халкъах волчу хӀоранна а шен дайх дисина лаьттан дакъа кхачийтархьама.</verse>
				<verse number="9">Лаьттан дакъа цхьана тайпанера кхечу тайпанан дола ца далийтархьама а хила деза иза иштта, хӀунда аьлча Исраилан халкъан хӀора тайпанан орамаш шен лаьттаца доьзна хила деза“».</verse>
				<verse number="10">Везачу Эло Мусана тӀедиллинарг кхочушдира Цалпихьадан йоӀарша.</verse>
				<verse number="11">Цалпихьадан йоӀарий — Махьила, Тирца, Хьугила, Малка, НуӀат — шайн ден вежарийн кӀенташка маре бахара.</verse>
				<verse number="12">Юсупан кӀентан Маннашан тӀаьхьенан тукхамашкарчу нехан зударий хилира уьш. Цундела церан лаьттан дакъош церан ден гаранах долчу тайпанан долахь дисира.</verse>
				<verse number="13">Иштта дара Везачу Эло Мусагахула Исраилан халкъе дина весеташ а, цунна тӀедехкинарш а. Иза дара Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гӀалина юххехь долчу Йордан-хин йистехь, уьш болчу хенахь.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="5">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">ХӀара дешнаш Муса-пайхамаро аьлла дара массо а исраилхошка, Йордан-хина малхбузехьа йолчу яьссачу аренгахь, Ӏариба-тогӀи чохь, Суп олучу меттигна дуьхьал уьш болчу хенахь. Цигахь цхьана агӀор Паран-аре яра, ткъа Тупал а, Лабан а, Хьацерут а, ДизахӀаб а вукху агӀор яра.</verse>
				<verse number="2">(СеӀир-лаьмнашкахула воьдуш, Хьарибара Кхадеш-БарнаьӀе боьду некъ дукхахьолахь цхьайтта дийнахь баллал бу.)</verse>
				<verse number="3">ШовзткъалгӀачу шеран цхьайтталгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь бинера Муса-пайхамаро хӀара хьехамаш массо а исраилхошна. Цо дийцинарг дерриг а Везачу Эло царах шайх лаьцна тӀедиллинарг дара.</verse>
				<verse number="4">Хьешбон-гӀалахь олалла деш хиллачу эмархойн паччахьна Сихьонна тӀехь а, Ӏаштарат-гӀалахь а, ЭдреӀи-гӀалахь а олалла деш хилла волу Башан-мехкан паччахьна ӀовгӀина тӀехь а Мусас толам баьккхинчул тӀаьхьа дара иза.</verse>
				<verse number="5">Йордан-хина дехьа болчу муабахойн махкахь, исраилхой хӀокху товрат-хьехамах кхето дӀаволалуш, Муса-пайхамаро иштта аьлла:</verse>
				<verse number="6">«Вайн Везачу Дала, вайга Хьарибехь Ша вистхуьлуш, иштта элира: „Тоьар ду шуна хӀокху ламан уллохь севцина Ӏан!</verse>
				<verse number="7">Хьала а гӀовттий, новкъа довла, дӀагӀо лаьмнашца болчу эмархойн махка а, гонах мел долчу къаьмнийн меттигашка а: Ӏариба-тогӀене, лаьмнашка, малхбузерчу акъарешна тӀе, НегӀаб-аренга, хӀордан йистошка. КанаӀанхойн махка а, сийлахьчу Эпрат-хина тӀекхаччалц Ливанун-махка а дӀагӀо.</verse>
				<verse number="8">ХӀара латта Ас хӀинца шуна дӀалуш ду. Чу а гӀортий, шайн дола даккха и латта, хӀунда аьлча Везачу Эло шун дайшна, — ИбрахӀимна а, Исхьакхана а, Якъубана а, — царна тӀаьхьа йолчу церан тӀаьхьенна а дӀалур ду аьлла ваӀда дина латта ду иза“».</verse>
				<verse number="9">«Аса оцу хенахь шуьга иштта элира: „Суна сайна шу лело хала ду.</verse>
				<verse number="10">Шайн Везачу Дала шу дебийтина, хӀинца шу, стигалара седарчий санна, дукха ду.</verse>
				<verse number="11">Шун дайн Везачу Дала шу хӀинца долчул кхин а эзарза деба а дебийтойла, декъал а дойла, шуьга Ша ма-аллара.</verse>
				<verse number="12">Амма шун халонашший, шун баланийн моххьий, шун девнашший ас-айса муха дӀакхоьхьур ду?</verse>
				<verse number="13">Шайн-шайн тайпанашкара хьекъале а, кхетаме а, зийна а болу нах схьахаржа. ТӀаккха ас уьш, шуна тӀехь хьаькамаш а бина, дӀахӀиттор бу“.</verse>
				<verse number="14">Аша соьга жоп делира: „Дика гӀуллакх юкъадалийна ахь“, — аьлла.</verse>
				<verse number="15">Ас шун тайпанашкара уггар а хьекъаленаш, кхетаменаш, зийнарш схьа а эцна, шуна тӀехь хьаькамаш хила дӀахӀиттийра: эзарна а, бӀенна а, шовзткъе иттанна а, итт стагана а тӀехь болу хьаькамаш. Важа нах ас, тӀехьоьжурш а бина, дӀахӀиттийра шун тайпанашкахь.</verse>
				<verse number="16">Аса оцу хенахь шун кхелахошка омра дира: „Шайн къомах болчеран гӀуллакхашка ладогӀа, царна юкъахь нийса кхел е, шайн къомах волчуьнца я тӀевеанчуьнца и гӀуллакх доьзна делахь.</verse>
				<verse number="17">Кхел ечохь озабезамаш ма бе, лараме боцучара а, цӀеяханчара а бохучун тергам бе. Муьлххачу а адамах ма озало, хӀунда аьлча кхел — Делан гӀуллакх ду. Кхел ян шайна хала хета гӀуллакх суна тӀе схьада, ас ладугӀур ду цуьнга“.</verse>
				<verse number="18">Аса хӀетахь шуна тӀедиллира аша дан мел дезарг».</verse>
				<verse number="19">«Хьарибара ара а девлла, вайн Везачу Дала тӀе-ма-диллара дӀа а оьхуш, эмархойн лаьмнашна тӀе доьлхуш, шуна гиначу йоккха а, къемате кхераме а йолчу яьссачу аренгахула чекх а довлуш, вай Кхадеш-БарнаьӀе кхечира.</verse>
				<verse number="20">ТӀаккха ас шуьга иштта элира: „Вайн Везачу Дала вайна схьалуш болчу эмархойн лаьмнашна тӀе даьхкина шу.</verse>
				<verse number="21">Шун Везачу Дала шуна дӀалуш ду хӀара латта. Шун дайн Везачу Дала шайга ма-аллара, дӀа а гӀой, и латта шайн дола даккха. Кхера а ма ло, дог доьхна а ма хила“.</verse>
				<verse number="22">Амма аша массара а, суна тӀе а даьхкина, элира соьга: „Ваьшна хьалхара нах бохуьйтур бу вай, цаьрга и латта таллийтархьама а, вай даха дезаш болчу некъах а, вай тӀегӀур долчу гӀаланех а лаьцна ваьшка хаам байтархьама“.</verse>
				<verse number="23">И къамел суна хазахийтира, цундела ас шун хӀора тайпанна юкъара цхьацца стаг хаьржира.</verse>
				<verse number="24">Уьш, дӀа а бахана, лаьмнаш тӀе а бевлла, Ашкул-тогӀенна тӀе а кхаьчна, цуьнга бӀаьрг а тоьхна, дӀасахьаьвсира.</verse>
				<verse number="25">Оцу лаьтта тӀера стоьмаш, шайн кара а эцна, вайна схьабеара цара. Вайна хаам а бахьаш, цара иштта элира: „Мел хаза ду вайн Везачу Дала вайна схьалуш долу латта“.</verse>
				<verse number="26">Амма шуна цига даха ца лиира. Шу шайн Везачу Дала бохучунна дуьхьалдевлира.</verse>
				<verse number="27">Шайн четарш чохь яппарш а еш, аша бохура: „Везачу Эло Шена ца дезарна арадаьхна вай Мисар-махкара, эмархойн кара дӀа а делла, хӀаллакдархьама.</verse>
				<verse number="28">Стенга даха деза вай? Вайн вежарша вайн дегнаш малдина: ‘И халкъ алсам ду, вайл дукха а, лекха а ду. Цигара гӀаланаш яккхий а ю, стигала кхаччал лекха чӀагӀонаш йолуш а ю. Цул совнаха, Ӏаьнакх цӀе йолчу турпалх схьабевлларш а гира тхуна цигахь’, — бохуш“.</verse>
				<verse number="29">Ас шуьга элира: „Кхера а ма ло, оза а ма ло царах.</verse>
				<verse number="30">Шун Веза Дела шуна хьалхаваьлла воьдуш ву. Цо шуьгахьа тӀом бийр бу, Мисар-махкахь шун бӀаьргашна гина ма-хиллара.</verse>
				<verse number="31">Яьссачу арахь а шуна изза гинера. Шаьш кху меттиге схьакхаччалц аша бинчу новкъахь, адамо шен бер санна, шу леладора шун Везачу Дала, шуна гина ма-хиллара“.</verse>
				<verse number="32">И дерриг а шайна гуш доллушехь, тӀаккха а шайн Везачу Делах ца тешара шу.</verse>
				<verse number="33">Иза шуна хьалха ваьлла лелара, шуна совца меттигаш лоьхуш. Иза буьйсанна цӀарца хуьлура, шу даха деза некъ шуна гайтархьама, ткъа дийнахь мархица хуьлура».</verse>
				<verse number="34">«ТӀаккха, шун дешнаш дӀахезча, Веза Дела оьгӀазвахара. Цо чӀагӀо йира:</verse>
				<verse number="35">„ХӀокху адамийн телхинчу гаранна юкъара цхьана а адамна гур дац, шун дайшна Ас лур ду аьлла, ваӀда дина долу дика латта, — аьлла. —</verse>
				<verse number="36">И латта Епунин кӀант волчу Килабана бен гур дац. Иза лелла латта Ас цунна дӀалур ду, цунна а, цуьнан кӀенташна а, иза кхоччуш Веза Эла волчу Суна тӀаьхьа хӀоттарна“.</verse>
				<verse number="37">Шу бахьана долуш Веза Эла суна а оьгӀазвахана. Цо элира: „Хьо а вер вац оцу лаьтта тӀе.</verse>
				<verse number="38">Хьан гӀоьнча волу Нунин кӀант ЮшаӀ вер ву оцу лаьтта тӀе. Иза тӀечӀагӀве, хӀунда аьлча Исраилан къоме оцу лаьттан дола дойтур ду цо“.</verse>
				<verse number="39">Аша царах лаьцна, уьш мостагӀийн хӀонс хилла дӀахӀуьттур ду, баьхна долу а, хӀинца а дика а, вон а хӀун ду ца хууш долу а шун бераш девр ду оцу лаьтта тӀе. Ас и латта царна лур ду, ткъа цара иза шайн дола доккхур ду.</verse>
				<verse number="40">Ткъа шу, дӀа а дерзий, Эрзийн-хӀордана тӀе боьдучу новкъахула яьссачу аренга дӀагӀо.</verse>
				<verse number="41">ХӀетахь, соьга жоп а луш, аша элира: „Тхайн Везачу Далла дуьхьал къа латийна оха. Цига а дахана, тхан Везачу Дала ма-бохху, тасалур ду тхо“. Шух хӀораммо а тӀемалочун хуьлучу герзаца гӀодаюкъ йихкира. Иза атта а хеташ, лаьмнашна тӀе довла сацам бира аша.</verse>
				<verse number="42">Амма Везачу Эло соьга иштта элира: „ДӀаала цаьрга: ‘Ма довла лаьмнашна тӀе, ма бе тӀом, шайн мостагӀашка шаьш эша ца дайтархьама, хӀунда аьлча Со шуна юкъахь хир вац’“.</verse>
				<verse number="43">Ас иштта бехира шуьга, амма аша соьга ла ца дуьйгӀира. Шу Везачу Элан лаамна дуьхьалдевлира. Шайн юхахьаралла бахьана долуш шу лаьмнаш тӀе девлира.</verse>
				<verse number="44">Оцу лаьмнашна тӀехь бехаш болу эмархой дуьхьалбевлира шуна. Цара шу, накхармозаша дийриг а дина, лаьхкира. Цара шу эшадора СеӀир-лаьмнашкара ур-атталла Хьормина тӀе кхаччалц йолу меттигашкахь.</verse>
				<verse number="45">ТӀаккха, юха а дирзина, Везачу Элана хьалха дилхира шу. Амма Везачу Элана шун маьхьарий а ца хезира, Цо шун тергам а ца бира».</verse>
				<verse number="46">«Иштта, дикка хан яьккхира вай Кхадешехь».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">«Юханехьа а дирзина, яьссачу аренга а девлла, Эрзийн хӀордехьа боьдучу новкъахула дӀадахара вай, Везачу Эло соьга схьа-ма-аллара. СеӀир-лаьмнашна го туьйсуш, дуккха а хан яьккхира вай.</verse>
				<verse number="2">Цул тӀаьхьа Везачу Эло соьга иштта элира:</verse>
				<verse number="3">„Тоьар ду шуна хӀокху лаьмнашна гонаш даха, къилбаседехьа дӀадерза.</verse>
				<verse number="4">СеӀир-лаьмнаш тӀехь бехачу шайн гергарчу къомах болчу Ӏесавах схьабевллачийн лаьттахула чекхдовла дохкуш ду шу. Уьш шух кхералур бу, делахь а шу ларлуш хилалаш.</verse>
				<verse number="5">Аша цаьрца тӀом ма болабелаш, хӀунда аьлча Ас церан латтанех ког тӀебиллал а латта лур дац шуна. СеӀир-лаьмнаш — иза Эдом-мохк бу — Ас Ӏесаван тӀаьхьенна дӀабеллера иза, цуьнан долахь хилийтархьама.</verse>
				<verse number="6">Юург яа, шайгара дети дӀа а лой, цаьргара эций. Мала хи а схьаэца цаьргара, цунах дети дӀа а лой“.</verse>
				<verse number="7">Шун Везачу Дала шун куьйгаша мел дечунна тӀехь шу декъалдина. Цо шун дола дина хӀокху йоккхачу а, кхерамечу а яьссачу аренгахула шу леллачу хенахь. ХӀара шовзткъа шо ду шун Веза Дела шуьца волу. Шу цхьана а хӀуманна тӀехь эшам ловш дацара.</verse>
				<verse number="8">СеӀирехь бехачу вайн гергара къам долчу Ӏесаван тӀаьхьенан лаьтта юххехула тӀех а девлла, Эйлатера а, Ӏецйон-ГӀебарера а боьдучу некъах дӀа а дирзина, Муабин яьссачу аренна тӀедоьлхура вай.</verse>
				<verse number="9">МостагӀалла ма доладелахь муабахошца, ма болабелахь цаьрца тӀом, хӀунда аьлча Аса оцу лаьттах зил а лур бац хьан кара. Ас ЛутӀин тӀаьхьенна дӀаелла Ӏар-гӀала, цаьрга дола дайта».</verse>
				<verse number="10">(Хьалха цигахь эймимахой баьхнера. И къам нуьцкъала а, алссам а дара. Иза, турпалш болу Ӏаьнакхахой санна, лекха къам дара.</verse>
				<verse number="11">Ӏаьнакхахой санна, уьш а репахой лорура, ткъа муабахоша царах эймимахой олуш хилла.</verse>
				<verse number="12">СеӀир-лаьмнаш тӀехь хьалха заманахь хьорихой хилла бехаш. Амма Ӏесаван кӀентий, уьш дӀа а лаьхкина, шайна гучуьра дӀа а баьхна, церан меттигашкахь баха хевшина. Исраилхоша а изза динера Везачу Эло шайн дола деллачу лаьттах.)</verse>
				<verse number="13">«Везачу Эло элира: „Хьала а гӀовттий, Зерад-татол долчу тогӀенехула чекхдовла“. ТӀаккха вай чекхдевлира Зерад-татол долчу тогӀенехула.</verse>
				<verse number="14">Вай Кхадеш-БарнаьӀара арадевллачу хенахь дуьйна Зерад-татол долчу тогӀенехула чекхдовлучу ханна тӀекхаччалц, ткъе берхӀитта шо дӀадаьлла. Вайн къомана юкъара тӀаме дахалуш мел хилла гаранаш хӀаллакьхилла, Везачу Эло царна чӀагӀо йина ма-хиллара.</verse>
				<verse number="15">Везачу Элан куьг царна тӀедаьхьна ма-дара, уьш хӀаллак а бина, къомана юкъара Цо берриш а дӀабаххалц.</verse>
				<verse number="16">ТӀаме дӀаэхалуш берш, берриш а хӀаллак а хилла, халкъана юкъара белла дӀабевллачу хенахь,</verse>
				<verse number="17">Везачу Эло соьга иштта элира:</verse>
				<verse number="18">„Хьо хӀинца Муаби-махкахула, Ӏар-гӀалина уллохула, чекхволуш ву.</verse>
				<verse number="19">Ӏамминхошна хьо гергакхаьчча, цаьрца мостагӀалла а ма леладе, цаьрца тӀом а ма бе. Ас Ӏамминхойн лаьттах цхьа а меттиг лур яц хьан кара. Ас и латта ЛутӀин тӀаьхьенна дӀаделла“».</verse>
				<verse number="20">(И латта репахойн лоруш дара, мацах цигахь репахой баьхна дела. Ӏамминхоша царах замзумхой олура.</verse>
				<verse number="21">И къам нуьцкъала а, дукха а дара, уьш Ӏаьнакхахой санна, лекха а бара. Везачу Эло и репахой хӀаллакбира Ӏамминхошна хьалхара. Ӏамминхой, уьш ара а баьхна, церан меттигашкахь баха хевшира.</verse>
				<verse number="22">СеӀир-лаьмнашкахь бехаш болчу Ӏесаван тӀаьхьенах болчеран дуьхьа Везачу Эло изза дира. Царна хьалха Цо хьорихой а хӀаллакбира. Ӏесаван тӀаьхьенах берш, уьш ара а баьхна, церан меттигашкахь баха хевшира. Таханлерчу дийнахь а уьш цигахь бехаш бу.</verse>
				<verse number="23">Иштта Крит-гӀайренера схьабевлла болу каптӀархой а, Ӏази-гӀалина тӀекхаччалц йолчу ярташкахь баьхна болу Ӏаваймхой хӀаллак а бина, церан меттигашкахь баха хевшира.)</verse>
				<verse number="24">КхидӀа Мусас элира: «Цул тӀаьхьа Везачу Эло иштта элира: „ХьалагӀовтта, дӀа а гӀой, Арнон-хих дехьадовла. ХӀан, Ас хьан кара дӀало эмархо волу Хьешбон-мехкан паччахь Сихьон а, цуьнан латта а. И латта хьайн кара а дерзош, тӀом бе цуьнца.</verse>
				<verse number="25">Аса тахана дуьйна шух болу кхерам а, къемат а дӀасадаржор ду стигална кӀел мел долчу халкъашна. Шух лаьцна дӀахезнарш кхералур а бу, Ӏадор а бу“».</verse>
				<verse number="26">«Кхадимут цӀе йолчу яьссачу аренгара Хьешбон-гӀалин паччахь волчу Сихьонна тӀе векалш бахийтира ас, машар а кховдош, хӀара дӀаалийтархьама:</verse>
				<verse number="27">„Пурба лохьа тхуна хьайн махкахула чекхдовла. Тхо, я аьтту, я аьрру агӀор дӀа ца доьрзуш, нийсса новкъахула дӀагӀур ду.</verse>
				<verse number="28">Детих юург йохка тхуна, тӀаккха бен оха иза юур яц. Детих мала хи а ло тхуна, тӀаккха бен оха иза мер дац. ГӀаш бен тхо тӀех а девр дац,</verse>
				<verse number="29">тхуна СеӀир-лаьмнаш тӀехь бехачу Ӏесаван тӀаьхьенах болчара а, Ӏар-гӀалахь бехачу муабахоша а дина ма-хиллара, Йордан-хина дехьа а девлла, тхайн Везачу Дала тхайна луш долчу лаьтта тӀе тхо дӀакхаччалц“.</verse>
				<verse number="30">Амма Хьешбон-гӀалин паччахь волу Сихьон реза ца хилира шен лаьтта тӀехула вай чекхдовлийта, хӀунда аьлча шун Везачу Дала цуьнан са а карзахдаьккхира, дог а чӀагӀдира, хӀинца вайна схьагуш ма-хиллара, иза шун кара дӀавалархьама.</verse>
				<verse number="31">Везачу Эло соьга иштта элира: „ХӀан, Ас Сихьон-паччахь а, цуьнан латта а шун кара далар дӀадолийна. Хьо а дӀаволало цуьнан латта хьайн карадерзо“.</verse>
				<verse number="32">ТӀаккха Сихьон-паччахь шен мел долчу эскарца вайна дуьхьалгӀаьттира ЯхӀац-гӀалина уллохь хиллачу тасадаларехь.</verse>
				<verse number="33">Вайн Везачу Дала иза вайн кара схьавелира. Вай иза а, цуьнан кӀентий а, цуьнан мел долу халкъ а хӀаллакдира.</verse>
				<verse number="34">Оцу хенахь цуьнан ерриг а гӀаланаш схьа а яьхна, царах хӀорра а, Далла дӀа а къастийна, кхоччуш дакъазаяьккхира, божарий а, зударий а, бераш а хӀаллак а деш. Царах цхьа а дийна ца витира оха.</verse>
				<verse number="35">ГӀаланаш дакъазаяхале, церан бежанаш а, церан схьаяьхначу гӀаланашкара вай схьадаьккхинарг а, хӀонс санна, дӀадаьхьнера.</verse>
				<verse number="36">Арнон-хин тогӀин йистера йолчу ӀаруӀер-гӀалара ГалӀад-гӀала дӀакхаччалц йолу цхьа а гӀала ца йисира вайга схьа ца яккхалуш. И дерриг а вайн кара схьаделира вайн Везачу Дала.</verse>
				<verse number="37">Ӏамминхойн лаьттана, я Ябокх олучу хин йистошкахула йолчу меттигашна, я лаьмнашна тӀехь йолчу гӀаланашна, я вайн Везачу Дала ца магийначу цхьана а хӀуманна тӀе ца кхевдира вай».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">«Вай, цигара юха а дирзина, Башан-махка дахара. Башан-мехкан паччахь ӀовгӀа шен мел долчу эскарца ЭдреӀи олучу меттиге дӀавахара, вайна тӀамца дуьхьалвалархьама.</verse>
				<verse number="2">ТӀаккха Везачу Эло соьга иштта элира: „ӀовгӀа-паччахьах ма кхера. Ас иза а, цуьнан эскар а, цуьнан мел долу латта а хьан кара дӀадала сацам бина. Ахь цунна Хьешбонехь олалла динчу эмархойн паччахь хиллачу Сихьонна диннарг дийр ду“.</verse>
				<verse number="3">Вайн Везачу Дала Башан-мехкан паччахь а, цуьнан мел долу эскар а вайн кара схьаделира. Вай ӀовгӀа хӀаллаквира, цуьнан халкъах цхьа а дийна ца вуьтуш!</verse>
				<verse number="4">Цу хенахь Башан-махкахь йолчу АргӀаб-кӀоштехь цуьнан ерриге а гӀаланаш вай схьаехира. Цхьа а гӀала ца йисира вай схьаяккхаза: ӀовгӀа паччахь волчу махкахь кхузткъа гӀала яра уьш.</verse>
				<verse number="5">И ерриге а гӀаланаш лекхачу пенашца, кевнашца, кевнашна боьгӀначу ондачу гӀорашца чӀагӀйина яра. Гобаьккхина пенашца чӀагӀъяза кхин а дуккха а гӀаланаш яра цигахь.</verse>
				<verse number="6">Вай и гӀаланаш хӀаллакйира, ваьш Хьешбонера паччахьан Сихьонан гӀаланаш хӀаллак ма-ярра. ХӀора гӀала, Далла дӀа а къастийна, кхоччуш дакъазаяьккхира, божарий а, зударий а, бераш а хӀаллак а деш.</verse>
				<verse number="7">Ткъа массо а бежанаш а, вай схьаяьхначу гӀаланашкара карадеанарг а вай хӀонсана дӀадаьхьира.</verse>
				<verse number="8">Оцу хенахь эмархойн шинна а паччахьан карара Йордан-хин малхбалехьарчу Арнон-хина тӀера Хьермон-ломана тӀекхаччалц долу хӀара латта схьадаьккхира вай.</verse>
				<verse number="9">(ЦӀаданхоша Хьермонах Сириюн олу, ткъа эмархоша Санир олу.)</verse>
				<verse number="10">Башан-мехкан паччахь волчу ӀовгӀин ерриге а аре схьалецира вай: тӀапломахь мел йолу гӀаланаш а, берриг а ГалӀад-мохк а, иштта Салха а, ЭдреӀи а гӀаланашна тӀекхаччалц болу берриг а Башан-мохк а».</verse>
				<verse number="11">(Башан-мехкан паччахь волу ӀовгӀа репахойх тӀаьххьара висинарг вара. Цуьнан аьчка маьнга хӀинца а Ӏамминхойн кӀенташкахь бу Рабба-гӀалахь. Иза бохалла исс дол, ткъа шоралла диъ дол бара, юкъахь лелаш болчу барамашца иза буьстича.)</verse>
				<verse number="12">«ХӀара латта вай схьалаьцначу хенахь, Арнон-хина йистерачу ӀаруӀер-гӀалара дуьйна долу латта а, ГалӀад-лаьмнийн ах а, цуьнан ерриге а гӀаланашца цхьаьна ас Гадин а, Раабанан а тайпанашна дӀаелира.</verse>
				<verse number="13">Ткъа ГалӀад-лаьмнех йисина ах а, ӀовгӀа паччахьан болу Башан-мехкан АргӀаб-кӀошт а ас Маннашан ахтайпанна дӀаелира». (Башан-махках репахойн мохк олура.</verse>
				<verse number="14">Маннашхочо Яира берриге а АргӀаб-мохк гешурхойн а, маӀхахойн а латтанашна тӀекхаччалц дӀалецира. Башан-махкана Яира шен цӀе тиллира. Царах хӀинца а Яиран ярташ олу.)</verse>
				<verse number="15">«ГалӀад-мохк ас Маннашан кӀант волчу Макиран тӀаьхьенах болчарна дӀабелира.</verse>
				<verse number="16">Ткъа Раабанан а, Гадин а тайпанашна ГалӀад-махка тӀера Арнон-хина тӀекхаччалц долу латта дӀаделира ас. Церан къилбера доза Арнон-хина юккъехь дара, ткъа церан латта Ӏамминхойн дозанехь долчу Ябокх-хина тӀекхаччалц дӀасадаьржира.</verse>
				<verse number="17">Оцу кхаа тайпанна дӀаделла долчу латтанийн малхбузера доза Ӏариба-тогӀи чохь долчу Йордан-хина тӀекхаччалц дара. И доза Канарота тӀера Дуьрачу хӀордана уллохь болчу Пасга-ломан кӀажина тӀекхаччалц дара.</verse>
				<verse number="18">Оцу хенахь ас шуьга иштта омра дира: „Шун Везачу Дала хӀара латта шуна дӀаделла шун дола даккхийта. Ткъа хӀинца тӀом балуш мел верг, герз схьа а эций, шайн вежарий болчу исраилхошна хьалха а валий, Йордан-хина дехьавала.</verse>
				<verse number="19">Ткъа шайн зударий а, шайн бераш а, шайн бежанаш а, — суна хаьа уьш шун дукха дуйла, — ас шайна дӀаеллачу гӀаланашкахь дита,</verse>
				<verse number="20">Везачу Эло, шуна санна, оцу шун вежаршна паргӀато яллалц а, шун Везачу Дала царна луш долу Йордан-хина дехьа долу латта цара шайн дола даккхалц а. Цул тӀаьхьа шух хӀора а ас шайна деллачу лаьтта юхаверза“, — аьлла.</verse>
				<verse number="21">ХӀетахь ас ЮшаӀе а весет дира, иштта олуш: „Хьан бӀаьргашна гина вайн Везачу Дала шинна а паччахьна мел динарг. Изза дийр ду Везачу Эло хьо чекхвер волчу массо а пачхьалкхашна.</verse>
				<verse number="22">Царах ма кхера, хӀунда аьлча шун Веза Дела Ша шуьгахьа тӀом беш ву“».</verse>
				<verse number="23">«Оцу хенахь со иштта доӀанаш деш вара Везачу Эле:</verse>
				<verse number="24">„Сан хьалдолу Эла, Ахь схьагайта долийна Хьайн ялхо волчу суна Хьайн сийлалла а, ондалла а. Кхин муьлха Дела ву стигалшкахь я лаьтта тӀехь Ахь деш долу гӀуллакхаш а, тамашийна хӀуманаш а далуш?</verse>
				<verse number="25">Лохьа пурба Йордан-хих дехьа а ваьлла, цунна дехьа долу дика латта ган — исбаьхьа хаза лаьмнаш а, Ливанун латта а“, — бохуш.</verse>
				<verse number="26">Амма Веза Эла шу бахьана долуш суна оьгӀазъоьхура. Цо ла ца дуьйгӀира соьга. Везачу Эло соьга иштта элира: „Тоьар ду! Кхин ма дийца Соьга цунах лаьцна!</verse>
				<verse number="27">Пасга-ломан боххье хьалавала. ДӀахьажа малхбалехьа а, къилбаседехьа а, къилбехьа а, малхбузехьа а. Дерриг а гуш долчуьнга дикка хьажа, хӀунда аьлча Йордан-хина дехьа валалур вац хьо!</verse>
				<verse number="28">ЮшаӀе весет а де, иза иракара а хӀоттаве, чӀагӀ а ве, хӀунда аьлча ЮшаӀа халкъ Йордан-хих дехьа а доккхур ду, хьуна гун долу латта цо цаьрга шайн дола а доккхуьйтур ду“.</verse>
				<verse number="29">Иштта вай севцира Байт-ПаӀар-гӀалина уллохь йолчу тогӀи чохь».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">«ХӀинца ладогӀа, Исраилан халкъ, тахана ас хьайна хьоьхучу парзашка а, тӀедехкинчаьрга а. Ас уьш кхочушдан хьоьху шуна, шу дийна хилийтархьама а, шун дайн Везачу Дала шайна луш долчу латта тӀе а дахийтина, шуьга иза шайн дола даккхийтархьама.</verse>
				<verse number="2">Цхьа а хӀума аса шуна тӀедиллинчунна тӀе а ма тоха, цунна тӀера дӀа а ма даккха. Ларде Аса шуна тӀедуьллуш долу шайн Везачу Делан весеташ.</verse>
				<verse number="3">Шун бӀаьргашна гир-кх, шун Везачу Дала ПаӀор-ломахь мел динарг. БаӀал-ПаӀорна тӀаьхьа мел хӀоьттинарг шун Везачу Дала, хӀаллак а вина, шуна юкъара дӀаваьккхина.</verse>
				<verse number="4">Ткъа шу, шайн Везачу Делах дӀакхеттарш, дерриш а таханлерчу дийнахь а дийна дисина.</verse>
				<verse number="5">Сан Везачу Дала сайна тӀедиллина ма-хиллара, Цуьнан парзаш а, тӀедехкинарш а довзийтина ас шуна, шайн дола баккха шу тӀедоьлхучу оцу махкахь шуьга и хьехамаш кхочушбайтархьама.</verse>
				<verse number="6">Уьш лар а бе, кхочуш а бе, хӀунда аьлча цунах кхечу халкъашна гур ду, шун хьекъалалла а, кхетамалла а дуйла. И массо а парзаш шайна дӀахезча, цара эр ду: „ЭхӀ, хӀара сийлахь къам ма хьекъале а, кхетаме а халкъ ду!“</verse>
				<verse number="7">Дуй те кхин цхьа а сийлахь халкъ церан деланаш иштта царна юххера болу, вай муьлххачу а хенахь Шега кхайкхича, вайн Веза Дела санна юххехь хуьлуш?</verse>
				<verse number="8">Дуй те кхин цхьа а сийлахь халкъ иштта нийса парзаш а, тӀедехкинарш а шен долу, тахана ас шуьга дӀакховдош дерш санна?</verse>
				<verse number="9">Амма ларлуш а хилалаш, шайн синан дола а делаш, шайн бӀаьргашна гина гӀуллакхаш диц ца далийтархьама а, и дерриг а, шу мел деха, шайн даг чуьра дӀа ца далийтархьама а. Шайна гинарш дӀадийца шайн берашка а, шайн берийн берашка а.</verse>
				<verse number="10">ДӀадийца Хьариб-ломахь гуламехь шайн Везачу Далла хьалха шу лаьттинчу оцу дийнах лаьцна а. ХӀетахь Везачу Эло соьга иштта элира: „Схьагулде Суна тӀе халкъ, Ас Сайн дешнаш дӀакхайкхор ду цаьрга. И дешнаш шайна дӀахезча, кху лаьтта тӀехь мел деха шаьш а, шайн бераш а Соьга ларамах дуьзна хила Ӏамор ду цара“.</verse>
				<verse number="11">Юххе а даьхкина, шу ломан кӀажехь севцира. Ткъа и лам стигала дӀакхаччалц цӀе яьлла богура. Цигахь Ӏаьржа бода а, юькъа мархаш а яра.</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха Веза Эла шуьга вистхилира оцу цӀерана юккъера. Цо дуьйцург шуна хезара, амма Цуьнан васт ца гора, аз бен ца хезара.</verse>
				<verse number="13">Цо шуна Шеца беш болчу бертан тӀедожораш дӀакхайкхийра, шайга кхочушдайта итт хьехам шуьга дӀа а хоуьйтуш. Везачу Эло уьш тӀулган шина экъанна тӀе дӀаязбира.</verse>
				<verse number="14">ХӀетахь тӀедиллира суна Везачу Эло шайн дола даккха шу тӀедовлучу лаьтта тӀехь шайга кхочушдайта деза парзаш а, тӀедехкинарш а шуна Ӏамор».</verse>
				<verse number="15">«Веза Эла Хьариб-ломахь цӀеран юккъера шайга вистхиллачу оцу дийнахь шайна цхьана а тайпана васт ца гина дела, шайн дегнашкахь дерг чӀогӀа ларделаш.</verse>
				<verse number="16">Аша иза делаш шаьш ца талхадайтархьама, муьлххачу а вастехь шайна цӀу а вина — стеган я зудчун вастехь,</verse>
				<verse number="17">лаьтта тӀехь дехачу дийнатан я стигалахь тӀемадолучу олхазаран вастехь,</verse>
				<verse number="18">лаьттахула текхачу дийнатан я лаьттал лахарчу хи чохь нека дечу чӀеран вастехь.</verse>
				<verse number="19">Иза делаш, стигала шаьш хьалахьаьжча, малххий, буттий, седарчий — и дерриге а стигалан ницкъаш бу — шайна гича, Ӏеха а делла, царна Ӏибадат ца дархьама а, царна гӀуллакх деш ца лелархьама а, хӀунда аьлча шун Везачу Дала стигал кӀел мел долчу халкъашна делла и дерриге а.</verse>
				<verse number="20">Ткъа шу Везачу Эло, эчиг лало пеш йолчу Мисар-махкара схьа а эцна, арадаьхна. Цо иза, хӀинца схьагуш ма-дарра, шух Шен долахь долу халкъ хилийтархьама дина.</verse>
				<verse number="21">Веза Эла шу бахьана долуш суна оьгӀазваханера. Цо чӀагӀо йинера, со Йордан-хина дехьа а вер вац, шун Везачу Дала шун дола луш долчу оцу беркатечу лаьтта а вер вац аьлла.</verse>
				<verse number="22">Йордан-хина дехьа а ца волуш, хӀокху лаьтта тӀехь лийр ву со, ткъа шу дехьа а девр ду, и токхе латта аша шайн дола а доккхур ду.</verse>
				<verse number="23">Варелаш, ларлолаш шайн Везачу Дала шайца бина барт бицбарх а, шайн Везачу Дала шайна тӀе-ма-диллара, Ӏамал ян цхьана хӀуманан вастехь цӀу-деланаш шаьш барх а.</verse>
				<verse number="24">ХӀунда аьлча шун Веза Дела — Иза массо а хӀума ягийна дӀайоккхур йолу цӀе ю, Иза эмгаралла йолу Дела ву.</verse>
				<verse number="25">Нагахь санна, шун бераш а хилла, шун берийн бераш а хилла, оцу махкахь шу дуккха а Ӏан дахкахь, шу, цхьаннан вастехь цӀу-делан сурт а дина, талха мегара. И дарца аша шайн Везачу Далла хьалха вон дийр ду, тӀаккха Иза дарлур ву.</verse>
				<verse number="26">Иштта хилча, тахана ас стигаллий, латтий тоьшалла дан схьакхойкху, Йордан-хина дехьа а девлла, аша шайн дола доккхуш долчу лаьтта тӀехь шу сихха хӀаллакьхир ду аьлла. Аша цигахь дукха хан а йоккхур яц, ткъа шу цигара хӀаллакдина дӀадохур ду.</verse>
				<verse number="27">Везачу Эло шу массо а халкъашна юкъахь дӀасадаржор ду. Везачу Эло шу дӀалохкучу къаьмнашна юкъахь шух кӀезиг бен дийна дуьсур дац.</verse>
				<verse number="28">Аша цигахь кхечу деланашна Ӏибадат дийр ду. И деланаш адамаша шайн куьйгашца бина хир бу дечигах а, тӀулгах а, царна хӀумма а ца го, хӀумма а ца хеза, цаьрга хӀумма а яа ца ло, царна цхьа а хьожа а ца йогӀу.</verse>
				<verse number="29">Амма аша Веза Эла цигахь лехча, шуна Иза карор ву, доллучу даггара а, шайн мел долчу синца а аша лехча.</verse>
				<verse number="30">Хало шайна тӀееача, тӀаьхьо и дерриг а шайна тӀенисделча, шу шайн Везачу Далла тӀедоьрзур а ду, Цо бохучуьнга аша ла а дугӀур ду.</verse>
				<verse number="31">Шун Веза Дела дика а, къинхетаме а ву. Цо шу дӀатосур а дац, хӀаллак а дийр дац, Цо шун дайшца, чӀагӀо а еш, Ша бина барт а бицбийр бац».</verse>
				<verse number="32">«Хаттал шул дукха хьалха хиллачу ширачу заманех лаьцна, Дала лаьтта тӀехь адам кхоьллинчу дийнахь дуьйна. Хаттал дерриг а дуьненна тӀехь — стигалан цхьана йистера вукху йисте кхаччалц. Хиллий те хӀара санна сийлахь гӀуллакх, я хезний те хӀара санна дерг?</verse>
				<verse number="33">ТӀаьхьа дийна а дуьсуш, хьуна санна хезний те цхьана а халкъана делан аз цӀеран юккъера схьадечу къамелаца?</verse>
				<verse number="34">Зе дарца а, билгалонаш гайтарца а, тамашийна хӀуманаш дарца а, тӀом барца а, ондачу куьйгаца а, дӀакховдийначу пхьаьрсаца а, чӀогӀачу къематашца а кхин муьлха дела маца гӀиртина те, кхечу къомах паргӀат а даьккхина, цхьа къам шен дола даккха? Делахь а, и дерриге а шун бӀаьргашна хьалха дина-кх шун Везачу Дала, шу Мисар-махкахь долуш!</verse>
				<verse number="35">И дерриг а гайтина дара шуна, Веза Эла Дела вуйла шуна дӀахаийтархьама. И воцург, кхин цхьа а Дела вац.</verse>
				<verse number="36">Цо стигалара Шен аз хазийтина, шу Ӏаморхьама. Цо лаьттахь Шен сийлахь йолу йогу цӀе а гайтина шуна, цӀеран юккъера Иза Ша вистхуьлуш а хезна шуна.</verse>
				<verse number="37">Шун дай Шена безна дела, царах йисина тӀаьхье йолу шу хаьржира Цо. Цо Ша Мисар-махкара Шен боккхачу ницкъаца шу арадаьхна.</verse>
				<verse number="38">Цо иза дина, шун чул дукха а, онда а долу халкъаш шуна хьалхара дӀалахкархьама а, шу церан лаьтта тӀе а довлийтина, иза шун дола даккхархьама а, хӀинца иза ма-дарра.</verse>
				<verse number="39">ДӀа а хаа, шайн даг чохь а латтаде, Веза Эла лакхахь стигалахь а, лахахь лаьтта тӀехь а Дела вуйла а, И воцург, кхин цхьа а дела воцийла а.</verse>
				<verse number="40">Ларделаш тахана ас шуна тӀедохкуш долу Цуьнан парзаш а, весеташ а, шайна а, шул тӀаьхьа хир долчу берашна а диканна хилийтархьама а, шун Везачу Дала шайна гуттаренна а луш долчу лаьтта тӀехь шу дуккха а дахкийтархьама а».</verse>
				<verse number="41">Цул тӀаьхьа Йордан-хина малхбалехьа йолу кхо гӀала дӀакъастийра Муса-пайхамаро.</verse>
				<verse number="42">Хьалха шеца мостагӀалла хилла воцу стаг ларамаза вийнарг цига дӀавада мегар ду. Царах цхьана гӀалахь дӀалачкъа йиш хир яра цуьнан, дийна висархьама.</verse>
				<verse number="43">Яьссачу шерачу аренгахь йолу Бацар-гӀала раабанхошна лерина яра, ГалӀад-махкахь йолу Рамат-гӀала гадахошна лерина яра, ткъа Башан-махкахь йолу Голан-гӀала маннашхошна лерина яра.</verse>
				<verse number="44">ХӀара Мусас Исраилан халкъана дӀабовзийтина товрат-хьехам бу.</verse>
				<verse number="45">Товрат-хьехамна чубогӀуш болу а, шаьш Мисар-махкара арабевллачул тӀаьхьа Мусас цаьрга дӀабелла болу сацамаш а, парзаш а, тӀедехкинарш а ду хӀорш.</verse>
				<verse number="46">Иза хилира уьш Йордан-хина малхбалехьа, Байт-ПаӀарна уллохь йолчу тогӀи чохь болчу хенахь. И латта Хьешбонехь олалла динчу эмархойн паччахьан Сихьонан хилла. Иза Мусас исраилхошца цхьаьна шаьш Мисарара арадевллачу хенахь эшийнера.</verse>
				<verse number="47">Йордан-хина малхбалерчу шинна а паччахьан — Сихьонан а, Башан-мехкан паччахьан ӀовгӀин а — латтанаш схьалаьцнера исраилхоша.</verse>
				<verse number="48">Арнон-хина йистехь йолчу ӀаруӀер-гӀалара Сириюн-ломана тӀекхаччалц. (Сириюнах Хьермон-лам а олу).</verse>
				<verse number="49">Царна чу йогӀура Йордан-хина малхбалехьа йолу Ӏариба-тогӀи, Пасга-ломан кӀажехь болчу Ӏариба-хӀордана тӀекхаччалц.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">Исраилан дерриг а халкъ схьа а гулдина, Мусас иштта элира: «ЛадогӀал, исраилхой, тахана ас шун лергашна дӀахозуьйтуш деш долчу парзашка а, тӀедехкинчаьрга а. Уьш Ӏама а делаш, уьш кхочушдан а хьовсалаш.</verse>
				<verse number="2">Вайн Везачу Дала вайца барт бина Хьарибехь.</verse>
				<verse number="3">Цо и барт вайн дайшца ца бина, ткъа кхузахь тахана дийна долчу вайца массаьрца а бина.</verse>
				<verse number="4">Веза Эла ломахь йолчу цӀерана юккъера юьхь-дуьхьал вистхилира шуьга.</verse>
				<verse number="5">Ткъа со оцу хенахь Везачу Элана а, шуна а юккъехь лаьтташ вара, Везачу Эло бохург шуьга дӀадийцархьама. ХӀунда аьлча шу, цӀерах шаьш кхерарна, лам тӀе ца довлура. ХӀетахь Везачу Эло иштта элира:</verse>
				<verse number="6">„Со Веза Эла ву, шун Дела, шу Мисарара лоллехь долчуьра Арадаьхнарг.</verse>
				<verse number="7">Со воцург, кхин Дела ма хилийта шайн.</verse>
				<verse number="8">Цхьана а тайпана лакхахь стигалахь, я лахахь лаьттахь, я лаьттал лахарчу хиш чохь хӀуманан вастехь сурт кхуллуш, шайна цӀуш а ма белаш.</verse>
				<verse number="9">Царна корта а ма бетта, Ӏибадат а ма де. Со, шун Веза Дела, эмгаралла йолу Дела ву. Со ца везаш волчунна таӀзар до Ас. Ас цунна а, цуьнан берашна а, кхозлагӀчу а, йоьалгӀачу а тӀаьхьенна тӀекхаччалц таӀзар до.</verse>
				<verse number="10">Амма, шена тӀедиллинарг кхочуш а деш, Со везаш волчунна эзарнаш тӀаьхьенашкахь Сайн хедар боцу безам гойтур бу Ас.</verse>
				<verse number="11">Везачу Элан, шайн Делан, цӀе эрна ма яккха, хӀунда аьлча Шен цӀе эрна йоккхуш верг Везачу Эло таӀзар ца деш вуьтур вац.</verse>
				<verse number="12">Шун Везачу Дала тӀе-ма-диллара, шоьтан де ларде, иза Сан дуьхьа дӀа а къастош.</verse>
				<verse number="13">Ялх дийнахь болх а бе, дерриг а шайн гӀуллакхаш а нисде.</verse>
				<verse number="14">Ткъа ворхӀалгӀа де шайн Везачу Далла лерина садоӀу де хилийта. Цу дийнахь аша а, шун кӀанта а, йоӀа а, шун лено а, гӀарбашо а, шун стеро а, виро а, шун хьайбанех цхьаммо а, шун гӀаланашкахь ваха тӀевеана волчо а цхьана а тайпана болх ма бе, хӀунда аьлча шу санна шун лено а, гӀарбашо а садаӀа деза.</verse>
				<verse number="15">Диц ма делаш Мисар-махкахь шаьш леш хилла хилар, ткъа шун Везачу Дала Шен ондачу куьйгаца а, Шен дӀакховдийначу пхьаьрсаца а шу арадаьхна хилар. Цундела шоьтан садоӀу де лардан шуна тӀедиллина шун Везачу Дала.</verse>
				<verse number="16">Шайн да а, нана а лара, шайн Везачу Дала тӀе-ма-диллара, шайн Везачу Дала шуна луш долчу лаьтта тӀехь дехха дахар шун хилийтархьама а, шуна дика хилийтархьама а.</verse>
				<verse number="17">Адам ма де.</verse>
				<verse number="18">Нахаца ма лела.</verse>
				<verse number="19">Къола ма де.</verse>
				<verse number="20">Шайн уллорачунна дуьхьал харцтоьшалла ма де.</verse>
				<verse number="21">Шайн уллорачун зуда ма еза. Иштта цуьнан цӀа я латта а ма деза, цуьнан лай а, гӀарбаш а, сту а, вир а, цуьнан цхьа а хӀума а шайна ма езийта“.</verse>
				<verse number="22">ХӀара хьехамаш лам тӀехь волчу Везачу Эло чӀогӀачу озаца халкъан берриг а гуламна белира. ЦӀерана а, мархина а, Ӏаьржачу боданна а юккъера Ша вистхилча, царал сов, Цо хӀумма а ца элира. ТӀаккха и дешнаш тӀулгах йолчу шина экъанна тӀе дӀа а яздина, уьш соьга схьаелира Цо».</verse>
				<verse number="23">«Шайна боданна юкъара аз хезча, цӀерах богуш лам гича, шу суна тӀе даьхкира, массо а шун хьаькамаш а, шун къаной а.</verse>
				<verse number="24">Аша иштта элира: „Вайн Везачу Дала Шен сийлалла а, возалла а схьагайтира вайна. Цуьнан аз цӀерана юккъера схьахезнера вайна. Тахана вайна гира Дела адаме вистхилахь а, и адам дийна диса мегаш хилар.</verse>
				<verse number="25">Кхин а цкъа вай дала йиш хӀунда кхуллур яра? Оцу сийлахьчу цӀеро вай дуур ду. Нагахь санна вайн Везачу Делан аз кхин а хазахь, вай лийр ду.</verse>
				<verse number="26">Дуй те цхьа а адам вайна санна цӀерана юккъера дийна волчу Делан аз а хезна, дийна дисина долу?</verse>
				<verse number="27">ТӀе а верзий, ладогӀа вайн Везачу Дала хьайга мел бохучуьнга. ТӀаккха тхоьга схьадийца вайн Везачу Дала хьайга мел дуьйцуш дерг, ткъа оха ла а дугӀур ду, и дерриге а кхочуш а дийр ду“.</verse>
				<verse number="28">Везачу Элана дӀахезира шун дешнаш, соьга къамел деш аша аьлла долу. Цо соьга иштта элира: „Суна хезира хӀокху халкъо хьоьга аьлларг. Цара мел аьлларг дика ду.</verse>
				<verse number="29">ЭхӀ-хӀай, Соьга ларамах дуьзна а хилла, дерриге а Сан весеташ кхочушдан даим церан дегнаш делахьара, шайна а, шайн берашна а гуттаренна диканиг хилийтархьама!</verse>
				<verse number="30">Вало, дӀаала цаьрга: ‘Шайн четарш чу юхадерза’.</verse>
				<verse number="31">Ткъа хьо кхузахь Соьца виса. Ас хьоьга дӀаэр ду массо а весеташ, парзаш, тӀедехкинарш. Халкъана хьеха деза ахьа уьш, Ас шайн дола доккхун долчу лаьтта тӀехь уьш иштта лелийтархьама“.</verse>
				<verse number="32">Варелаш, шайн Везачу Дала шайна тӀе-ма-диллара лелалаш. Я аьтту, я аьрру агӀор дӀа ма дерзалаш.</verse>
				<verse number="33">Шун Везачу Дала шайна тӀедехкинчу некъашца лелалаш, шайна дола дан лун долчу лаьтта тӀехь шаьш дийна хилийтархьама а, шуна дика хилийтархьама а, шаьш дуккха а дахийтархьама а».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="6">
				<verse number="1">«ХӀорш ду шун Везачу Дала шуна хьеха аьлла тӀедехкина долу весеташ, парзаш, тӀедехкинарш. Шайна дола даккха шу тӀедоьлхучу оцу лаьтта тӀехь, уьш кхочуш а деш, лела деза шу.</verse>
				<verse number="2">И дан деза аша а, шун бераша а, царал тӀаьхьа хиндолчу бераша а шайн Везачу Деле ларамах дуьзна шаьш хилийтархьама а, ас шайна тӀедохкуш долу дерриг а Цуьнан парзаш а, весеташ а лардайтархьама а, шун дахаран хан яхъялийтархьама а.</verse>
				<verse number="3">Исраилан халкъ, ла а догӀа, уьш леррина кхочуш а де, шайна дика хилийтархьама а, шу алсам дебийтархьама а шуьрех а, мазах а дуьзна токхе лаьтта тӀехь, шун дайн Везачу Дала шуна чӀагӀо ма-ярра.</verse>
				<verse number="4">ЛадогӀа, Исраилан халкъ: вайн Веза Дела — цхьа Веза Эла ву.</verse>
				<verse number="5">Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца а, берриге а ницкъаца а веза.</verse>
				<verse number="6">Тахана Ас весет деш долу хӀара дешнаш хьайн даг чохь латтаделахь.</verse>
				<verse number="7">Шайн берашна хьеха уьш, исраилхой, дийца царах лаьцна шайн цӀенош чохь хевшина Ӏаш а, шаьш некъ беш а, шаьш дӀадуьйшуш а, хьалагӀовттуш а.</verse>
				<verse number="8">Шайн куьйгаш тӀе дӀадехка уьш билгалонна, шайн хьаьжнашна тӀе а дӀадехка уьш хьехорна.</verse>
				<verse number="9">ДӀаязде уьш шайн неӀсагӀанаш тӀе, шайн кевнаш тӀе».</verse>
				<verse number="10">«Шайн Везачу Дала шун дайшна, ИбрахӀимна, Исхьакхана, Якъубана, шуна дӀадала ваӀда динчу лаьтта тӀе гӀур ду шу. Шуна луш долчу лаьтта тӀехь аша йина йоцу яккхий а, дика а гӀаланаш ю.</verse>
				<verse number="11">Шуна луш долчу лаьтта тӀехь аша дуьзна доцу, оьшуш мел долчух дуьзна долу цӀенош а, аша яьхна йоцу гӀунаш а, аша кхиийна йоцу кемсийн а, зайт-диттийн а бошмаш а хир ю. Оцу лаьтта тӀехь Ӏаббал баа кхача шайна хилахь,</verse>
				<verse number="12">варелаш, лоллин цӀа долчу Мисар-махкара шу арадаьхна волу Веза Эла виц ма велаш!</verse>
				<verse number="13">Шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила, Цунна бен гӀуллакх а ма де, Цуьнан цӀарах бен дуйнаш а ма баа.</verse>
				<verse number="14">Цхьана а кхечу деланашна тӀаьхьа ма хӀитталаш, цхьана а шайна гонах хир долчу кхечу къаьмнийн деланашна а тӀаьхьа ма хӀитталаш,</verse>
				<verse number="15">хӀунда аьлча шуна юкъахь хуьлуш волу Веза Дела эмгаралла йолу Дела ву. Шу кхечу деланашна тӀедерзахь, Иза, латийна цӀе санна, дарлур а ву, Цо дуьнен тӀера дӀадохур а ду шу.</verse>
				<verse number="16">Шайн Веза Дела зен ма гӀерта, шаьш Массехь иза ма-дарра.</verse>
				<verse number="17">ЧӀогӀа ларделаш шайн Везачу Делан весеташ, цуьнан сацамаш а, парзаш а, шайна тӀедехкина долу.</verse>
				<verse number="18">Шайн Везачу Далла хьалха нийса а, дика а дерг делаш шайна диканна хилийтархьама а, Везачу Эло, шайн дайшна чӀагӀо а еш, шайна лур ду аьллачу лаьтта тӀе а девлла, иза дола даккхархьама а,</verse>
				<verse number="19">берриш а шайн мостагӀий, Везачу Эло ма-бохху, аша шайна гучуьра дӀабахийтархьама а.</verse>
				<verse number="20">Нагахь санна тӀейогӀучу заманахь шун бераша шайга хаттахь: „ХӀун маьӀна ду вайн Везачу Дала вайна тӀебехкинчу оцу сацамийн а, парзийн а, хьехамийн а?“</verse>
				<verse number="21">аш цаьрга иштта дӀаала: „Вай Мисар-махкахь пирӀунан леш дара, амма Везачу Эло вай арадехира Шен ондачу куьйгаца.</verse>
				<verse number="22">ТӀаккха вайн бӀаьргашна хьалха Везачу Эло тамашийна гӀуллакхаш а, Ӏадоран билгалонаш а гайтира Мисаран халкъана а, пирӀунна а, цуьнан массо цӀенна а тӀехь.</verse>
				<verse number="23">Ткъа Везачу Эло вай цигара ара а дехира, дӀа а дигира, вайн дайшна чӀагӀо а еш, лур ду аьлла долу латта вайна схьадалархьама.</verse>
				<verse number="24">Дерриг а и парзаш кхочушдан а, вайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила а тӀедиллира вайна Везачу Эло, массо а заманахь вай дика хилийтархьама а, тахана санна, вай дийна дисийтархьама а.</verse>
				<verse number="25">Нагахь санна вайн Везачу Далла хьалха, и дерриг а весеташ, Цо вайна тӀе-ма-диллара, леррина кхочуш а деш, вай лелахь, иза Далла тамехь хир ду“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="7">
				<verse number="1">«Шайн дола даккха шу тӀедоьлхучу лаьтта тӀе шун Везачу Дала шу чудигча, Цо шуна хьалхара дуккха а къаьмнаш дӀалохкур ду — хьетахой, гӀиргӀашахой, эмархой, канаӀанхой, перезахой, хьаьвихой, явсайхой. И ворхӀ къам шул дукха а, ницкъ болуш а ду.</verse>
				<verse number="2">Шун Везачу Дала уьш шун кара а делла, аша и къаьмнаш эшийча, уьш кхоччуш дакъазадаха. Цаьрца барт а ма белаш, царах къа а ма хеталаш.</verse>
				<verse number="3">Гергарлонаш а ма тийсалаш цаьрца. Шайн йоӀарий церан кӀенташка а ма бахийталаш, церан йоӀарий шайн кӀенташна а ма балабелаш.</verse>
				<verse number="4">ХӀунда аьлча цара шун кӀентий Сох дӀаберзор бу, кхечу деланашна Ӏамал яйтархьама. ТӀаккха Везачу Элан дераллин цӀе шуна тӀехьодур а ю, Цо шу сихха хӀаллакдийр а ду.</verse>
				<verse number="5">Амма аша царна хӀара делаш: церан сагӀа доккху меттигаш йохаелаш, харцделанашна хӀиттийна церан тӀулгаш аталаш, Ашера-далла лерина долу церан дечиган бӀогӀамаш дӀахедаделаш, церан цӀуш багабелаш.</verse>
				<verse number="6">Хьайн Везачу Делан деза халкъ ду хьо. Хьан Везачу Дала хьо хаьржина, хьох Шен долахь долу халкъ дархьама, дуьнен чохь мел долчу халкъашна юкъара схьа а хаьржина дина долу.</verse>
				<verse number="7">Везачу Эло хьо Шен деган лаам бар а, хьо харжар а массо а халкъел хьо дукха долу дела дацара — хьо массо а халкъел жима халкъ ма ду, —</verse>
				<verse number="8">Везачу Элана хьо деза дела а, Цо шун дайшна делла ваӀда лардо дела а хаьржина дара. И бахьана долуш Везачу Эло хьо, ондачу куьйгаца лоллин цӀа чуьра ара а даьккхина, Мисар-мехкан паччахь волчу пирӀунан карара паргӀатдаьккхина.</verse>
				<verse number="9">Цундела хаалаш, исраилхой, шун, Веза Дела бен, бакъволу Дела вац. Иза тешаме Дела ву, Цо Шен безаман барт ларбо Ша везачаьрца а, Шен весеташ кхочушдечаьрца а церан эзар тӀаьхьенна тӀекхаччалц.</verse>
				<verse number="10">Амма Ша ца везачарна доггӀург Цо дийр ду, уьш хӀаллак а беш. Иза хьелур вац, Ша ца везачунна хӀоранна шена-шена догӀу таӀзар дан.</verse>
				<verse number="11">Цундела Ас тахана кхочушдан шайна тӀедехкина долу весеташ а, парзаш а, хьехамаш а ларбелаш».</verse>
				<verse number="12">«Нагахь санна аша оцу хьехамашка ладогӀахь, уьш ларбахь, кхочушбахь, тӀаккха шун Везачу Дала, Ша шун дайшка ваӀда дина ма-хиллара, Ша шуьца бина безаман барт ларбийр бу.</verse>
				<verse number="13">Шу дезар а ду, шу декъал а дийр ду, шу доьбуьйтур а ду Цо. Шун кийрахь верг а декъалвийр ву, шун латто луш дерг — ялта а, чагӀар а, зайтдаьтта а — декъалдийр ду, шун бежанийн эсий а, жийн Ӏахарий а декъалдийр ду Цо шун дайшка шуна лур ду аьллачу лаьтта тӀехь.</verse>
				<verse number="14">Массо а халкъел декъалдина долу халкъ хир ду шун халкъ. Шун халкъана юкъахь хир вац бер ца хуьлу стаг, берах ца хуьлу зуда, шун даьхнина юкъахь а хир дац иштта дерг.</verse>
				<verse number="15">Везачу Эло лардийр ду халкъ массо а цамгарх. Мисар-махкахь шуна девзина долу цхьа а луьра ун кхоьтуьйтур дац шух, амма шу ца дезачарна массарна тӀе далор ду иза.</verse>
				<verse number="16">Шун Везачу Дала шайн кара дӀалуш долу массо а халкъаш аша хӀаллакдан деза. Царах къинхетам а ма белаш, церан деланашна гӀуллакх а ма делаш, хӀунда аьлча уьш шуна дӀахӀиттийна йолу речӀанаш хир ю.</verse>
				<verse number="17">Нагахь санна: „И къаьмнаш тхол дукха ду, оха муха дохур ду уьш ара?“ — аьлла, шун даг чу дожахь,</verse>
				<verse number="18">ма кхералаш царах, амма дагадаийталаш шун Везачу Дала пирӀунна а, берриг а мисархошна а динарг.</verse>
				<verse number="19">Дагадаийталаш шайн бӀаьргашца шуна гина болу Дала бахкийтина баккхий баланаш а, билгалонаш а, тамашийна гӀуллакхаш а, шун Везачу Дала Шен ондачу куьйгаца, дӀакховдийначу пхьаьрсаца шу арадахар а. Изза дийр ду шун Везачу Дала шу кхоьруш долчу массо а халкъашна.</verse>
				<verse number="20">Шун Везачу Дала царна бумбареш тӀехоьцур ю, шух дӀалечкъаш болу дийна биснарш хӀаллакьхиллалц.</verse>
				<verse number="21">Ма кхера царах, хӀунда аьлча шуна юкъахь волу шун Веза Дела — сийлахь а, ларамах бузуьйтуш волу а Дела ву.</verse>
				<verse number="22">Шун Везачу Дала и халкъаш кӀез-кӀезиг шуна хьалхара дӀалохкур ду. И халкъаш цхьана хеннахь хӀаллак ма делаш, аренашкара акхарой ца дебийтархьама.</verse>
				<verse number="23">Амма шун Везачу Дала шун кара дӀалур бу уьш. Царна тӀе боккха кхерам боссор бу, уьш хӀаллакбина бовллалц.</verse>
				<verse number="24">Церан паччахьаш а лур бу шун кара. Аша церан цӀераш стигал кӀелара а дӀайойур ю. Цхьа а шуна дуьхьал латталур вац, аша уьш хӀаллакбина бовллалц.</verse>
				<verse number="25">Церан цӀу-деланаш цӀергахь багабелаш. Царна тӀехь долу деши я дети схьаэцар шайн дегнаш чу ма дожийталаш, шайна царах речӀанаш ца хилийтархьама, хӀунда аьлча иза шун Везачу Далла дегаза хета.</verse>
				<verse number="26">Шайн цӀенош чу а ма балабелаш и дегаза цӀуш, уьш санна кхоччуш дакъазадаха шаьш дӀакъастийна ца хилийтархьама. Царах даша а ма даша, уьш уггар дегаза а хета, хӀунда аьлча уьш кхоччуш дакъазадаха лерина Везачу Элана дӀакъастийна хӀуманаш ду».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="8">
				<verse number="1">«Ас тахана шайна деш долу весеташ леррина кхочушделаш, шаьш дийна хилархьама а, дебийтархьама а, дӀа а дахана, шун дайшка Везачу Дала, ваӀда а деш, лур ду аьлла долу и латта шайн дола даккхархьама а.</verse>
				<verse number="2">Дагахь латтабелаш, яьссачу аренгахула хӀокху шовзткъа шарахь шун Везачу Дала шуьга байтина болу массо а некъ. Цо шуьга и некъ байтина, шайн кӀезигаллина шу къардалийтархьама а, шу зерхьама а, шун даг чохь хӀун ду хаархьама а. Цунна хаа лаьара, аша Шен весеташ лардийр дуйла я доцийла.</verse>
				<verse number="3">Цо шу шаьш-шайна кӀезиг хоьтуьйтуш къардалийтира, мацалла хӀоттийна, гӀелдира, стигалара манна олу кхача белира шуна, шуна а, шун дайшна а хӀун ю а хиъна йоцу. Иза дира Цо шуна дӀагайтархьама, адам деккъа цхьана баьпках дехаш доцийла, амма Везачу Элан багара схьадолучу хӀора дашца дехаш дуйла.</verse>
				<verse number="4">Шун бедарш шуна тӀехь тиш ца лора, оцу шовзткъа шарахь шун когаш ца бестара.</verse>
				<verse number="5">Шайн дагахь хилийталаш, шун Везачу Дала, дас шен кӀант санна, шу Ӏамош дуйла а, нисдеш дуйла а.</verse>
				<verse number="6">Цундела шайн Везачу Делан весеташ ларделаш, Цуьнан некъашца а лелалаш, Цуьнга ларамах дуьзна а хуьлуш.</verse>
				<verse number="7">Шун Везачу Дала шу беркатечу лаьтта тӀе дӀадуьгуш ду. Оцу лаьтта тӀехь татолаш, Ӏемаш а, шовданаш а ду, тогӀешкара а, лаьмнашкара а схьадуьйлуш долу.</verse>
				<verse number="8">Оцу лаьтта тӀехь кӀа а, мукх а, кемсийн таьллангаш а, инжирийн а, нарийн а дитташ а, зайт-дитташ а, моз а ду.</verse>
				<verse number="9">Оцу лаьтта тӀехь цхьа а эшам ца хаалуш, аша шайн бепиг а дуур ду, цхьана а хӀуманна тӀехь эшаме а хир дац шу. Оцу лаьттарчу тархаш чохь эчиг ду, ткъа оцу лаьттан лаьмнаш чуьра аша цӀаста доккхур ду.</verse>
				<verse number="10">Ткъа шаьш йиина а девлла, дуьзча, Цо шуна делла долчу токхечу лаьттана шайн Везачу Далла хастам белаш».</verse>
				<verse number="11">«Ларлолаш, тахана ас шайна тӀедуьллуш долу Цуьнан весеташ, Цуьнан тӀедехкинарш, Цуьнан парзаш кхочуш а ца деш, шайн Веза Дела вицварх.</verse>
				<verse number="12">Юуш шаьш дуьзча, шайна дика цӀенош а дина, царна чохь шу даха хевшича,</verse>
				<verse number="13">шайн даккхий а, кегий а бежанаш дебаш хилча, шайн деши а, дети а алсамдолуш хилча, шайн массо а долахь дерг совдолуш хилча,</verse>
				<verse number="14">варелаш, шайн дегнаш кура а ма довлийталаш а, лоллин цӀа долчу Мисар-махкара шу арадаьхна волу шун Веза Дела виц а ма велаш.</verse>
				<verse number="15">Чохь дӀаьвше лаьхьарчий болу а, сту лоцу гезгаш йолу а, екъа а, хи доцуш йолу а, йоккхачу, къемате кхерамечу а яьссачу аренгахула шу чекхдаьхнарг Иза вара. Шуна мокхазан тархана чуьра хин хьоста даьккхинарг а Веза Эла вара.</verse>
				<verse number="16">Цо шуна яьссачу аренгахь манна олу кхача баабора, шуна а, шун дайшна а хӀун ю а хиъна йоцу, шайн кӀезигаллина шу къардалийтархьама а, шу зерхьама а, тӀаьхьа шуна дика дархьама а,</verse>
				<verse number="17">„Тхан-тхайн ницкъо а, тхан куьйгийн ондалло а карадаийтина тхуна хӀара хьал“, — аьлла, шун даг чу ца дожийтархьама.</verse>
				<verse number="18">Амма аша шайн дегнаш чохь латтавелаш шайн Веза Дела, хӀунда аьлча шун хьал хилийта шуна ницкъ луш верг Иза ву. Иза иштта лела, ваӀда а дина, шун дайшца Ша бина барт, таханлерчу денна ма-барра, чӀагӀбархьама.</verse>
				<verse number="19">Нагахь санна шу, шайн Веза Дела виц а вина, кхечу деланашна тӀаьхьахӀиттахь, царна Ӏибадат а деш, царна Ӏамал а еш, шу лелахь, ас тахана тоьшалла до, шу хӀаллакьхир ду аьлла.</verse>
				<verse number="20">Везачу Эло шуна хьалхара хӀаллакдеш дӀадоху халкъаш санна, хӀаллакдийр ду шу, шайн Везачу Делан озе ла ца дугӀу дела».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="9">
				<verse number="1">«ЛадогӀа, исраилхой: шу хӀинца Йордан-хина дехьадовла дохкуш ду, стигал хьалаккхаччал лекха чӀагӀонаш чохь йолу яккхий гӀаланаш йолу а, шун халкъал дукха долу а, ницкъ болу а халкъаш долу латта шайн дола даккхархьама.</verse>
				<verse number="2">Оцу лаьттан халкъашна юкъахь ницкъ болу а, доккха дегӀ долу а Ӏаьнакхахой бу. Царах лаьцна шуна хууш а ду, хезна а ду иштта олуш: „Мила ву Ӏаьнакхахошна дуьхьал латталур волуш?“</verse>
				<verse number="3">Ткъа хӀинца хаа ду шуна: шун Веза Дела ву шуна хьалхаваьлла, цӀеро санна, дерриг а дӀакхоллург волу. Цо уьш хӀаллак а бина, шуна хьалха охьабохкур бу. Аш уьш сихха дӀа а лохкур бу, хӀаллак а бийр бу, Везачу Эло шайга ма-аллара.</verse>
				<verse number="4">Шун Везачу Дала шуна хьалхара уьш дӀалаьхкинчул тӀаьхьа, шайн дегнашкахь иштта ма алалаш: „Тхо Шен лаамехь хилла дела, Везачу Эло кхуза схьадалийна, хӀара латта тхайн дола даккха“. ХӀан-хӀан, оцу халкъийн хьараме лелар бахьана долуш, Везачу Эло шуна хьалхара дӀалохкур ду уьш.</verse>
				<verse number="5">Шун Делан лаамехь хилар я шун догцӀеналла бахьана доцуш, и латта шайн дола даккхархьама, доьлхуш ду шу. ХӀан-хӀан, оцу халкъийн Ӏесалла бахьана долуш, шун Везачу Дала уьш шуна хьалхара дӀалохкур ду, Ша шун дайшка, — ИбрахӀиме, Исхьакхе, Якъубе — ваӀда деш делла дош кхочушдархьама.</verse>
				<verse number="6">Хаалаш, шу Делан лаамехь хиларна кара ца доуьйту шуна шун Везачу Дала и беркате латта, хӀунда аьлча шу юхахьара халкъ ду».</verse>
				<verse number="7">«Дагахь латтаделаш, цкъа а диц ма делаш, мел дукха оьгӀазъоьхуьйтура аша шайн Веза Дела яьссачу аренгахь. Мисар-махкара арадевллачу дийнахь дуьйна шаьш хӀокху метте схьакхаччалц Везачу Элана дуьхьалдевлла лелара шу.</verse>
				<verse number="8">Аша Хьариб-ломахь а оьгӀазвахийтира Веза Эла. Иза шу цигахь хӀаллакдина дӀадаххал дарвеллера.</verse>
				<verse number="9">Везачу Эло шуьца бина барт тӀеязбина йолу тӀулган экъанаш схьаэца со лам тӀе хьалаваьлча, ас цигахь шовзткъа де-буьйса даьккхира, бепиг а ца дууш, хи а ца молуш.</verse>
				<verse number="10">Везачу Эло Шен куьйга йоза тӀеяздина йолу тӀулган ши экъа елира соьга. Оцу экъанаш тӀехь яздина дара Везачу Эло гулам болчу дийнахь богучу ломан цӀерана юккъера шуьга схьа мел аьлла дешнаш.</verse>
				<verse number="11">Шовзткъа де-буьйса дӀадаьлча, Везачу Эло соьга схьаелира тӀулган ши экъа, бартбаран экъанаш.</verse>
				<verse number="12">Везачу Эло соьга иштта элира: „ХьалагӀатта, дӀавала кхузара, ломара охьавосса. Мисар-махкара ахь арадаьккхина долу хьан халкъ дукха телхина ду. ХӀинцале а дӀабевлла уьш Ас шайна весет динчу новкъа тӀера, шайна лалийна цӀу а вина“.</verse>
				<verse number="13">Везачу Эло кхин а иштта элира соьга: „Ас тидам бира оцу халкъан — иза аьрха халкъ ма ду!</verse>
				<verse number="14">Ма сецаве Со. Ас хӀаллакдийр ду и халкъ, Ас цуьнан цӀе дуьнен тӀера а дӀайойур ю, ткъа хьох цул доккха а, цул ницкъ болу а халкъ кхуллур ду Ас“.</verse>
				<verse number="15">Со, юха а вирзина, лам тӀера чувоьссира, иза цӀерах богуш болчу хенахь. Бартбаран ши экъа сан карахь яра.</verse>
				<verse number="16">ДӀахьаьжча, суна гира шайн Везачу Далла дуьхьал аш къа латийна хилар, старгӀин сибатехь шайна лалийна цӀу а вина. Шу сиха дӀадевллера Везачу Эло шуна дӀакхехьа динчу весетан некъа тӀера.</verse>
				<verse number="17">Ас и ший а экъа, схьа а эцна, сайн карара лаьттах а тоьхна, шун бӀаьргашна хьалха йохийра».</verse>
				<verse number="18">«Везачу Элана суждане а вахана, хьалха санна шовзткъа де-буьйса даьккхира ас. Со юуш а, молуш а вацара, аша летийна къинош бахьана долуш. Уьш а летийна, шайн Везачу Далла хьалха вон а дина аша, Иза оьгӀаз а вахийтина аша.</verse>
				<verse number="19">Со кхоьрура Везачу Элан оьгӀазлонах а, дераллах а, хӀунда аьлча шу хӀаллакдаллал чӀогӀа оьгӀазваханера Иза. Амма Цо юха а ладуьйгӀира соьга.</verse>
				<verse number="20">АхӀаронна а чӀогӀа оьгӀазвахнера Веза Эла, иза хӀаллакваллал, амма ас оццу хенахь АхӀаронна тӀера а доӀанаш дира.</verse>
				<verse number="21">Ткъа аша дина къилахь хӀума, старгӀин и сурт, схьа а эцна, цӀергахь дагийра ас. ТӀаккха иза йоха а йина, хьаша а хьаьшна, чан санна, ата а аьтта, лам тӀера охьаоьхучу хи чу тесира ас.</verse>
				<verse number="22">ТабӀерехь, Массехь, Кхиброт-ХӀатаъвуэхь аша кхин а оьгӀазъоьхуьйтура Веза Эла.</verse>
				<verse number="23">Ткъа Везачу Эло: „Дуьйло, схьадаккха Ас шуна луш долу латта“, — аьлла, шу Кхадеш-БарнаьӀера дохуьйтучу хенахь, шу дуьхьалдевллера шайн Везачу Делан омранна, шу Цунах ца тийшира, аша Цуьнан озе ла ца дуьйгӀира.</verse>
				<verse number="24">Шу суна девзинчу дийнахь дуьйна аьрха лелара Везачу Элана хьалха.</verse>
				<verse number="25">Иштта, Везачу Элана хьалха суждане а вахана, шовзткъа де-буьйса даьккхира ас, хӀунда аьлча Везачу Эло аьллера, Ша шу хӀаллакдийр ду.</verse>
				<verse number="26">ДоӀанна тӀехь ас Везачу Эле иштта элира: „Хьалдолу Эла, хӀаллак ма дехьа Хьайн халкъ, Хьайн долахь дерг, Ахь Хьайн сийлаллица паргӀат а даьккхина, Хьайн ондачу куьйгаца Мисар-махкара арадаьккхина долу.</verse>
				<verse number="27">Дагабахкийтахьа Хьан ялхой болу ИбрахӀим а, Исхьакх а, Якъуб а. Ма хьежахьа хӀокху халкъан аьрха хиларе, цуьнан Ӏесалле, цуьнан къиношка.</verse>
				<verse number="28">Дехьа иштта, Ахь тхо арадаьхначу лаьтта тӀехь бехачаьрга ца алийтархьама: ‘Везачу Эло дуьгийла а дацара и халкъ Ша лур ду аьллачу лаьтта тӀе. Цо и халкъ Шена ца деза дела арадаьккхина, яьссачу аренгахь иза хӀаллакдархьама’.</verse>
				<verse number="29">Ткъа иза Хьан халкъ а, Хьан долахь дерг а ду, Ахь Хьайн ондачу ницкъаца а, дӀакховдийначу пхьаьрсаца а Мисар-махкара арадаьккхина долу“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="10">
				<verse number="1">«Оцу хенахь Везачу Эло соьга иштта элира: „Хьалха йиначарах тера а йолуш, тӀулган керла экъанаш ага хьайна. Дечигах царна тӀорказ а дай, Со волчу лам тӀе хьалавала.</verse>
				<verse number="2">Оцу экъанаш тӀехь ахьа йохийначу шина экъанна тӀехь хилла дешнаш яздийр ду Аса, ткъа ахь уьш тӀорказ чу охьаяхка“.</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха акаци олучу дечигах ас тӀорказ а дира, хьалхалернаш санна йолу ши экъа а йира. И ши экъа карахь а йолуш, со лам тӀе велира.</verse>
				<verse number="4">Везачу Эло, Ша хьалха лам тӀехь гуламан дийнахь цӀеран юккъера схьааьлла болу итт хьехам оцу экъанаш тӀе дӀа а язбина, уьш соьга схьаелира.</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха, лам тӀера юха а вирзина, Везачу Эло сайна тӀе-ма-диллара, айса динчу тӀорказ чу ехкира аса и экъанаш. Уьш хӀинцца а цигахь ю».</verse>
				<verse number="6">(Исраилхой Баировт-Баней-ЯӀакханера гӀунаш тӀера Мосире дӀабахара. АхӀарон дӀакхелхира, иза цигахь дӀавоьллира. Цуьнан метта динан да дӀахӀоьттира цуьнан кӀант ЭлиӀазар.</verse>
				<verse number="7">Эццара уьш Гуди-Гуде бахара, ткъа цу тӀера — Ютбате. Иза хиш долу латта дара.</verse>
				<verse number="8">ХӀетахь Везачу Эло Левин тайпа дӀакъастийра, цуьнга Везачу Элаца динчу бертан тӀорказ дӀасалеладайтархьама а, Везачу Элана хьалха гӀуллакх дайтархьама а, Цуьнан цӀарах декъалдарш дӀакхайкхадайтархьама а. Таханлерчу дийне схьакхаччалц иза хӀинца а иштта схьадогӀуш ду.</verse>
				<verse number="9">Цундела шайн вежарийн долчух лаьттан дакъа дац левихойн, церан долахь латта а дац. Лаьттан декъан метта Веза Эла ву церан, цаьрга хьан Везачу Дала дӀа-ма-аллара.)</verse>
				<verse number="10">«Хьалха санна, ас шовзткъа де-буьйса даьккхира лам тӀехь. Везачу Эло хӀинца а ладуьйгӀира соьга. Цунна ца лиира исраилхой хӀаллакбан.</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха Везачу Эло иштта элира соьга: „Вало, оцу халкъана хьалхавала, новкъа баха уьш, церан дайшна Ас чӀагӀо еш лур ду аьлла долу латта шайн дола даккхийтархьама“».</verse>
				<verse number="12">«Исраилан халкъ, хӀун лаьа те хьан Везачу Далла хьоьгара? Цунна лаьа хьайн Везачу Деле бен ларамах хьо вуьзна ца хилар, Цуьнан некъашца хьо лелар, Иза хьуна везар, хьан Везачу Далла ахь гӀуллакх дар даггара а, доллучу хьайн синца а хилар.</verse>
				<verse number="13">Цунна лаьа ас тахана хьайна тӀедуьллуш долу Везачу Элан весеташ а, парзаш а ахь лардар, хьуна дика хилийтархьама.</verse>
				<verse number="14">Хьан Везачу Делан ю стигал а, уггар лакхара стигалш а, латта а, цунна тӀехь мел дерг а.</verse>
				<verse number="15">Хьан дайшна тӀе бен ца хьажийна Везачу Эло уьш безаран Шен лаам. Дерриг а халкъашна юкъара Цо шу, церан тӀаьхье ерш, хаьржира. Тахана а иштта ма ду иза.</verse>
				<verse number="16">Шайн дегнийн дуьхьлара пардо дӀахададейша, ма хилийша кхин дӀа а юхахьара.</verse>
				<verse number="17">Хьан Веза Дела — деланийн Дела а, олахойн Олахо а ву. Иза сийлахь а, нуьцкъала а, ларамах вузуьйту Дела а ву. Цо озабезамаш ца бо, Цо кхаьънаш а ца ийдо.</verse>
				<verse number="18">Цо ларйо байлахь болчеран а, бисинчу зударийн а бакъонаш. Цунна тӀевеанарг а веза, Цо даа-мала а, тӀедуху хӀума а ло цунна.</verse>
				<verse number="19">Везалаш шаьш долчохь ваха хиъна волу тӀевеана стаг, хӀунда аьлча шу шаьш а ма дара тӀедаьхкинарш Мисар-махкахь.</verse>
				<verse number="20">Шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хилалаш, Цунна цхьанна гӀуллакх делаш. Цуьнгахьа дирзина хилалаш, Цуьнан цӀарах бен дуйнаш ма баалаш.</verse>
				<verse number="21">Шайн хастамаш Цунна дӀало. Иза шун Дела ву. Шун бӀаьргашна гина долу и сийлахь долу а, ларамах дузуьйтуш долу а гӀуллакхаш шуна дина волу Дела ву Иза.</verse>
				<verse number="22">Шун дай Мисар-махка баьхкинчу хенахь, уьш кхузткъе итт стаг бен вацара, ткъа хӀинца шун Везачу Дала, стигалара седарчий санна, алсамдаьхна шу».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="11">
				<verse number="1">«Иштта, шайн Веза Дела везалаш. Ларделаш Цо шайна лардан тӀедиллинарг а, Цуьнан парзаш а, тӀедехкинарш а, весеташ а массо а деношкахь.</verse>
				<verse number="2">Дагадаийта шайна, со шун берашка вистхуьлуш воцийла. Царна хиъна а дац Везачу Дала шу нисдинийла, царна гина а дац Цуьнан возалла, Цуьнан онда куьг, Цуьнан схьакховдийна пхьарс,</verse>
				<verse number="3">Цуьнан тамашийна билгалонаш, Цуьнан гӀуллакхаш, Цо Мисар-мехкан паччахь волчу пирӀунна а, цуьнан халкъана а дина долу.</verse>
				<verse number="4">Шун берашна ца гина Цо мисархойн эскарх, говрех, гӀудалкхех динарг. Уьш ерриш а Эрзийн хӀорда чохь дӀахьулйинера Цо, уьш шуна тӀаьхьабевллачу хенахь. Таханлерчу денна тӀекхаччалц Везачу Эло уьш хӀаллакбина латтийра.</verse>
				<verse number="5">Шу хӀокху метте схьакхаччалц, Цо шуна яьссачу аренгахь динарг шун берашна ца гина.</verse>
				<verse number="6">Раабанхочун Элиабан кӀенташна Датанна а, Абирамна а динарг шун берашна ца гина. ХӀетахь, латта дӀаса а декъаделла, уьш берриш а Исраилан халкъана юкъара лаьтто дӀаийцира: церан доьзалш а, церан четарш а, церан мел хилла болу бахам а.</verse>
				<verse number="7">Везачу Эло мел дина долу сийлахь гӀуллакхаш гинарш шун бӀаьргаш бара».</verse>
				<verse number="8">«Шу Йордан-хина дехьадевлча, тахана ас шайна тӀедуьллуш долу Делан дерриг а весеташ ларделаш, цигара долу латта, чу а гӀоьртина, шайн дола даккхал ницкъ шайн хилийтархьама.</verse>
				<verse number="9">Везачу Эло, чӀагӀо а йина, шун дайшна а, церан тӀаьхьенна а лур ду аьллачу, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу оцу лаьтта тӀехь дехха дахар шун хилийтархьама, ларделаш и весеташ.</verse>
				<verse number="10">Шайна схьадаккха шу тӀедоьлху и латта шу арадевллачу Мисар-мехкан лаьттах тера дац. Цигахь аша, хӀуш тесначул тӀаьхьа, лаьттана, хасстоьмийн бешана санна, шайн куьйгийн ницкъаца хиш дохкура.</verse>
				<verse number="11">Ткъа шу шайн дола даккха тӀедоьлху и латта лаьмнаш а, тогӀеш а йолуш ду. Оцу лаьтто стигаларчу догӀанийн хи молу.</verse>
				<verse number="12">Шун Везачу Дала гӀайгӀа еш долчу оцу лаьтта тӀехь даим бу шун Везачу Делан бӀаьргаш: шеран коьртера дуьйна схьа и шо чекхдаллалц.</verse>
				<verse number="13">Тахана шайга деш долчу Сан весеташка аша леррина ладогӀахь, — шайн Веза Дела шуна везахь, Цунна даггара а, мел долчу синца а аша гӀуллакх дахь, —</verse>
				<verse number="14">Ас шун лаьттана шен-шен хенахь догӀа лур ду, хьалххе догӀург а, тӀаьхьо догӀург а. ТӀаккха аша шайн ялта а схьагулдийр ду, шайн чагӀар а, шайн зайтдаьтта а доккхур ду.</verse>
				<verse number="15">Ас шун аренашкахь шун бежанашна буц лур ю, тӀаккха юуш а, дузуш а дехар ду шу.</verse>
				<verse number="16">Варелаш, ларлолаш, шайн дегнаш Ӏеха ма далийталаш, Везачу Элах дӀа а дирзина, кхечу деланашна гӀуллакх а деш, Ӏибадат а деш дӀахӀиттарх.</verse>
				<verse number="17">ТӀаккха Везачу Элан оьгӀазалла, яьлла цӀе санна, шуна дуьхьал ер ю, Цо стигал дӀакъовлур ю, догӀа цигара ца даийтархьама. Цундела лаьтто шен ялта лур дац. ТӀаккха шун Везачу Эло шуна луш долчу дикачу лаьтта тӀехь шу кестта хӀаллакьхир ду.</verse>
				<verse number="18">Цундела хӀара сан дешнаш шайн дегнаш чу а, синош чу а дӀадахка, дӀаяздина долу и дешнаш шайн куьйгаш а, хьаьжнаш а тӀе дӀадехка, уьш дагадаийтархьама.</verse>
				<verse number="19">Шайн кӀенташна хьеха уьш, дийца царах лаьцна шайн цӀенош чохь хевшина Ӏаш а, шаьш некъ беш а, шаьш дӀадуьйшуш а, хьалагӀовттуш а.</verse>
				<verse number="20">ДӀаязде уьш шайн неӀсагӀанаш тӀе, шайн кевнаш тӀе,</verse>
				<verse number="21">Везачу Эло шун дайшна дӀабала чӀагӀо йинчу махкахь шун а, шун берийн а дахаран денош шортта хилийтархьама. Лаьтта тӀехула стигал мел хуьлу дехар ду шу цигахь.</verse>
				<verse number="22">Нагахь санна Ас шуьга кхочушдайта деш долу и дерриг а весеташ аша лардахь, — шайн Веза Дела шуна везахь, Цуьнан массо а некъашца шу лелахь, Цуьнгахьа дирзина шу хилахь, —</verse>
				<verse number="23">Везачу Эло и дерриге а халкъаш шуна хьалхара дӀалохкур ду, тӀаккха шун халкъал дукха долчу а, ницкъ болчу а халкъийн латта шайн дола доккхур ду аша.</verse>
				<verse number="24">Аш ког мел баьккхина латта шун хир ду. Яьссачу аренгара Ливанун-махкана тӀекхаччалц, Эпрат-хина тӀера Дуьненаюккъерачу хӀорда тӀе кхаччалц хир ду шун дозанаш.</verse>
				<verse number="25">Цхьа а латталур вац шуна дуьхьал: шун Везачу Дала, Ша чӀагӀо ма-ярра, аша ког мел баьккхина долчу муьлххачу а лаьттана кхерам тосур бу, уьш, кхоьруш, бегор бу.</verse>
				<verse number="26">Хьажал, тахана ас шуьга харжам бойту: Дала шу декъалдар я шуна неӀалт кхайкхор.</verse>
				<verse number="27">Нагахь санна тахана ас деш долчу шун Везачу Делан весеташка аша ладогӀахь, шу декъалдина хир ду.</verse>
				<verse number="28">Нагахь санна аша шайн Везачу Делан весеташка ла ца догӀахь, тахана ас весет деш болчу некъа тӀера шу дӀадерзахь, хьалххе шайна бевзаш боцучу кхечу деланашна тӀаьхьа шу хӀиттахь, шуна неӀалт кхайкхор ду.</verse>
				<verse number="29">Шун Везачу Дала шайн дола даккха тӀедуьгучу лаьтта тӀе шу далийча, Герзим-лам тӀера декъалдаран дешнаш дӀаала, ткъа Ӏейбал-лам тӀера неӀалт кхайкхоран дешнаш дӀаала.</verse>
				<verse number="30">(Уьш Йордан-хина дехьа бу, коьртачу некъана малхбузехьа, МорахӀ олучу ножан дитташна уллохь, Ӏариба-тогӀи чохь бехачу канаӀанхойн лаьтта тӀехь йолчу Галгал-гӀалина юххехь.)</verse>
				<verse number="31">Шун Везачу Дала шуна дӀалуш долу латта шайн дола даккхархьама, шу кестта Йордан-хина дехьадевр ду. И латта схьа а лаьцна, шу оцу тӀехь дехар долчу хенахь,</verse>
				<verse number="32">тахана ас шайга дӀакховдош долу Цуьнан массо а парзаш а, тӀедехкинарш а леррина кхочушделаш».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="12">
				<verse number="1">«ХӀорш ду шун дайн Дела волчу Везачу Эло шуна дӀалуш долчу лаьтта тӀехь шу мел деха шуьга кхочушдайта делла парзаш а, тӀедехкинарш а.</verse>
				<verse number="2">Аша дӀалохкуш долчу халкъаша шайн деланашна Ӏамал еш йолу ерриге а меттигаш — лекхачу лаьмнаш тӀера, баьрзнаш тӀера, муьлххачу а дӀасадаьржина гаьннаш долчу диттана кӀелара — йохаяй дӀаяха.</verse>
				<verse number="3">Церан сагӀа доккху меттигаш йохаелаш, харцделанашна хӀиттийна церан тӀулгаш аталаш, Ашера-далла лерина долу церан дечиган бӀогӀамаш дагаде, церан цӀу-деланаш дӀахедабелаш, оцу харцделанийн цӀераш а дӀаяхалаш оцу меттера.</verse>
				<verse number="4">Оцу халкъаша харцделанашна Ӏибадат даре терра шайн Везачу Далла Ӏибадат ма делаш.</verse>
				<verse number="5">Ткъа Шен цӀе йоккхуьйтур йолчу а, шайн Везачу Дала шайн массо а тайпанийн меттигашна юкъахь схьакъастор йолчу а меттигна шу тӀе а дерза, цига а дуьйла.</verse>
				<verse number="6">Цигахь даха шайн дийнаташ дагоран сагӀанаш а, кхидолу сагӀанаш а, шайна са йоккхучух луш долу уьтталгӀа дакъа а, шайн совгӀаташ а, шаьш йинчу чӀагӀонца а, шайн лаамца а луш долу сагӀанаш а, шайн бежанех схьадевлла долу дуьххьарлера эсий а, иштта уьстагӀех схьадевлла долу дуьххьарлера Ӏахарий а даладе цу метте.</verse>
				<verse number="7">Цигахь шайн Везачу Далла хьалха яа а яа, иштта шу а, шун доьзалш а шайн куьйгашца шаьш дина долчу массо а хӀуманах а, шайн Везачу Дала шу декъалдарх а самукъадолуш а хила.</verse>
				<verse number="8">Аша цигахь, оха кхузахь хӀинца ма-дарра, дан ца деза и дерриге а. ХӀинццалц шух хӀораммо а шена-шена нийса хетачу кепара сагӀанаш дохура.</verse>
				<verse number="9">Шу цкъа хӀинца а паргӀато йолчу а, шун Везачу Дала шайна кхочуьйтучу лаьтта тӀе ма ца девлла.</verse>
				<verse number="10">Ткъа Йордан-хина дехьа а девлла, шун Везачу Дала шайн дола доккхуш долчу декъа тӀехь шу даха хевшича, шуна го бинчу массо а мостагӀех Цо, шу паргӀат а даьхна, шуна синтем бича, шу кхерам боцуш дехар ду.</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха схьадалаш шайн Везачу Далла Ша Ӏайтархьама схьахаржор йолчу меттиге ас шайна весет дина долу дерриге а: дийнаташ дагоран шайн сагӀанаш а, шайн кхидолу сагӀанаш а, шайна йолучу санан уьтталгӀа дакъош а, шайн совгӀаташ а, иштта шайн Везачу Далла, ваӀда а деш, шаьш йинчу чӀагӀонца къастийна мел дерг а.</verse>
				<verse number="12">Цигахь самукъане даккхийде шайн Везачу Далла хьалха — шу а, шун кӀентий а, шун йоӀарий а, шун леш а, гӀарбашаш а, иштта шайн гӀаланашкахь Ӏаш болу левихой а (шуна санна царна лаьттан дакъа ца кхочу, церан долахь латта хир дац).</verse>
				<verse number="13">Ларлолаш, шайна гинчу муьлххачу а меттехь шайн дийнаташ дагоран сагӀанаш дахарх.</verse>
				<verse number="14">Мелхо а, Везачу Эло шун тайпанийн латтанашна юкъара схьакъастийначу меттехь бен дийнаташ дагоран сагӀанаш бен ма дахалаш, ткъа ас шуна тӀе мел диллинарг цигахь бен кхочуш ма делаш.</verse>
				<verse number="15">Вуьшта-м, шу мел дехачу гӀаланашкахь шайн бежанашна урс хьакха мегар ду шуна. Шун Везачу Дала шу декъалдаре хьаьжжина, церан жижиг даа мегар ду шуна. Далла хьалха цӀена волчунна а, цӀена воцчунна а даа мегар ду иза, масаран а, сен а жижиг санна.</verse>
				<verse number="16">Амма, варелаш, дийнатийн цӀийца долу дилха ма даалаш, хи санна, лаьтта тӀе дӀаӀанаделаш иза.</verse>
				<verse number="17">Шайн Ӏаш йолчу меттигашкахь даа мегар дац шайн кӀен а, керлачу чагӀаран а, зайтдаьттан а Далла луш долу уьтталгӀа дакъа а, шун бежанех схьадевлла долу дуьххьарлера эсий а, шун уьстагӀех схьадевлла долу дуьххьарлера Ӏахарий а, ваӀданца аша Далла лун мел йолу хӀума а, шайн лаамца дӀалуш долу сагӀанаш а, Далла лерина кхидолу шун совгӀаташ а.</verse>
				<verse number="18">Амма иза шун Везачу Далла хьалха бен ма яалаш, шун Везачу Дала схьакъастор йолчу меттехь — аша а, шун кӀенташа а, шун мехкарша а, шун леша а, шун гӀарбашаша а, шун гӀаланашкахь Ӏаш волчу левихоша а. Даккхийде шайн Везачу Далла хьалха шун куьйгаша мел динарг бахьана долуш.</verse>
				<verse number="19">Варелаш, шайн лаьтта тӀехь шу мел деха, левихой дӀа ма татталаш.</verse>
				<verse number="20">Шун Везачу Дала, Ша шуьга ма-аллара, шун дозанаш шордича, аша иштта аьлча: „Жижиг даа лаьара тхуна“, — шайна ма-дезза жижиг даа мегар ду.</verse>
				<verse number="21">Нагахь санна шун Везачу Дала Шен цӀе яккхийта схьакъастийна йолу меттиг шуна уллора дукха гена елахь, шайна шун Везачу Дала деллачу шайн бежанна я уьстагӀна урс хьакха мегар ду, ас тӀе-ма-диллара, шу мел дехаш йолчу гӀаланашкахь шайн лаамца иза даа а мегар ду.</verse>
				<verse number="22">Иза масаран а, сен а жижиг дууш санна даалаш. Далла хьалха цӀена волчо а, цӀена воцучо а даа мегар ду иза шу долчохь.</verse>
				<verse number="23">Амма, варелаш, цӀий даарх чӀогӀа ларлолаш, хӀунда аьлча цӀий — иза са ду, жижигца цхьаьна иза ма даалаш.</verse>
				<verse number="24">Ма даалаш иза, хи санна, дӀаӀанаделаш иза лаьтта тӀе.</verse>
				<verse number="25">Ма даалаш иза, шайна а, шайн берашна а шул тӀаьхьа а даим дика хилийтархьама, хӀунда аьлча оцу тайпана шайн Везачу Делан бӀаьргашна хьалха нийса дерг деш ду аша.</verse>
				<verse number="26">Деккъа шайн хир долу деза хӀума а, шаьш йинчу чӀагӀонца дерг а дахьаш схьадуьйла шайн Везачу Дала схьакъастор йолчу меттиге.</verse>
				<verse number="27">Дийнаташ дагоран сагӀанийн жижиг а, цӀий а шайн Везачу Делан сагӀа доккхучу кхерчана тӀехь даха дезаш ду. Кхидолчу сагӀанийн цӀий хьайн Везачу Делан сагӀа доккхучу кхерчана уллохь дӀаӀано дезаш ду, ткъа оцу сагӀанийн жижиг аша даа мегар ду.</verse>
				<verse number="28">Хьажал, леррина кхочушде аса шуна тӀедуьллуш долу хӀара дерриге а дешнаш. Аша иза дахь, шуна а, шул тӀаьхьа долчу берашна а дика хир ду, хӀунда аьлча цу тайпана, шайн Везачу Делан бӀаьргашкахь дика а, нийса а дерг деш лелаш хир ду шу».</verse>
				<verse number="29">«Шайн дола даккха шу чугӀуртучу лаьтта тӀера халкъаш шун Везачу Дала дӀадаьхча, аша уьш цигара дӀа а лаьхкина, церан лаьтта тӀехь шу даха охьахевшича,</verse>
				<verse number="30">ларлолаш речӀанна чу нисдаларх. Уьш шайн хьалхара хӀаллакдина дӀадаьхча, царна тӀаьхьа шу ма довлалаш, церан деланаш леха ма долалолаш, ма бахалаш вовшашка: „ХӀокху халкъаша шайн деланашна гӀуллакх ма-дарра, оха а дийр ду“.</verse>
				<verse number="31">Шайн деланашна цара Ӏамал ечу кепара шайн Везачу Далла Ӏамал ма елаш, хӀунда аьлча цара шайн деланашна мел дийриг Везачу Элана дегаза хетарг а, ца дезарг а ду. Цара ур-атталла шайн кӀентий а, шайн йоӀарий а, шайн деланашна лоруш, цӀергахь багабо.</verse>
				<verse number="32">Ас шайга весет мел динарг кхочушдан хьовсалаш. Цхьа а хӀума тӀе а ма тохалаш, дӀа а ма даккхалаш».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="13">
				<verse number="1">«Нагахь санна шуна юкъахь цхьа пайхамар я цхьа гӀенаш гург хаалахь, цо шуна тамашийна билгалонаш, я инзаре хӀуманаш довзийтахь,</verse>
				<verse number="2">ткъа йийцина йолу тамашийна билгалонаш а, инзаре хӀуманаш а кхочуш а хилла, цара иштта алахь: „Кхечу деланашна тӀаьхьа а хӀуьттур ду вай, царна гӀуллакх а дийр ду вай“, и деланаш шуна бевзаш ца хиллехь а, —</verse>
				<verse number="3">ахьа оцу пайхамаре я оцу гӀенаш гуш волчуьнга ла ма догӀалахь, хӀунда аьлча ишттачу хӀуманашкахула шу зуьйш ду шун Везачу Дала. Цунна хаа лаьа, шайн Веза Дела шайн мел долчу дагца, шайн мел долчу синца шуна везий те.</verse>
				<verse number="4">Шайн Везачу Далла тӀаьхьахӀитталаш, Цуьнга ларамах дуьзна хилалаш. Цуьнан весеташ ларделаш, Цуьнан озе ладогӀалаш, Цунна гӀуллакх делаш, Цунна тӀетовжалаш.</verse>
				<verse number="5">Ткъа и пайхамар я и гӀенаш гург Ӏожаллин кара дӀало, шу Мисар-махкара арадаьхначу а, лоллин цӀийнара паргӀатдаьхначу а шайн Везачу Делах шу дӀадерзийтархьама къамелаш ишттачу наха до дела. Ткъа царна шу галдаха ма лаьа шун Везачу Дала весет дина болчу некъа тӀера. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха.</verse>
				<verse number="6">Хьан ваша, я хьан кӀант, я хьан йоӀ, я хьан хьоме зуда, я хьан доттагӀа, хьуна хьайн са санна везаш волу, къайлаха хьо леван гӀорта мега: „Вало, кхечу деланашна гӀуллакх деш лелар ду вай“, — бохуш. Делахь а, хьуна а, хьан дайшна а бевзина ца хилла и деланаш.</verse>
				<verse number="7">Уьш хьуна гонах долчу, хьуна уллохь а, генахь а долчу, дуьненан цхьана йистера вукху йистехь долчу халкъийн деланаш хила мега.</verse>
				<verse number="8">Хьо реза а ма хилалахь, цуьнга ла а ма догӀалахь. Хьан бӀаьргашна цунах къа ма хетийла. Цунах къинхетам а ма бе, иза хьул а ма ве.</verse>
				<verse number="9">Амма иза вей дӀаваккха. Уггар а хьалха хьан куьг хила деза цунна тӀе айина, иза верхьама. Цул тӀаьхьа дерриг а халкъан куьг хила деза цунна тӀехь.</verse>
				<verse number="10">Цунна и валлалц тӀе тӀулгаш кхисса, Мисар-махкара, лоллин цӀийнара, хьо араваьккхинчу хьан Везачу Делах хьо дӀаверзийта уьш гӀерта дела.</verse>
				<verse number="11">Иза дӀа а хезна, Исраилан дерриг а халкъ кхералур ду. ТӀаккха шуна юкъахь иштта зулам кхин дийр дац.</verse>
				<verse number="12">Шун Везачу Дала шуна даха охьаховша луш йолчу гӀаланашна юкъара цхьана гӀаланах лаьцна шайна хаза там бу шуна,</verse>
				<verse number="13">шуна юкъара Делан лаамехь боцу нах гучубевлла бохуш. Цара гӀалин бахархой Ӏехийна: „Дуьйло, кхечу деланашна гӀуллакх дийр ду вай“, — бохуш. Ткъа и деланаш шуна ца бевза.</verse>
				<verse number="14">Ахь оцу хӀуманах лаьцна хаттарш де, и хӀума дикка талла. Нагахь аьлларг бакъ делахь, нагахь и дегаза дерг шуна юкъахь баккъалла а нисделлехь,</verse>
				<verse number="15">оцу гӀалин массо а бахархой тур хьаькхна хӀаллакбелаш. Ерриг а гӀала, Далла леринан дӀа а къастийна, цуьнан бахархошца а, бежанашца а тур хьаькхна дакъазаяккха.</verse>
				<verse number="16">Ткъа гӀали чохь йолу ерриге а хӀонс майданна юккъе схьагулъе. ГӀала а, цуьнан мел йолу хӀонс а цӀерца ягае, шун Везачу Далла лерина долу сагӀа санна. Латтийла и гӀала даим саьлнаш а хилла, цкъа а юхаметтахӀоттийна хила ца еза иза.</verse>
				<verse number="17">Дакъазадаккха Далла дӀакъастийначух цхьа а хӀума шун куьйгех ма хьакхалойла, Везачу Эло, Шен оьгӀазалла дӀа а яьккхина, шуна Шен дика далийтархьама. Иза иштта делахь, Цо шух къинхетам бийр бу, шу доьбуьйтур а ду, шун дайшна Ша чӀагӀо ма-ярра.</verse>
				<verse number="18">Иштта хир ду, нагахь санна, ас хӀинца деш долу Цуьнан весеташ кхочуш а деш, Цуьнан бӀаьргашкахь нийса дерг а деш, шайн Везачу Деле аша ладогӀахь».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="14">
				<verse number="1">«Шу — шайн Везачу Делан бераш ду. Шайн дегӀа тӀехь цхьа а чов ма елаш, шайн хьаьжнаш тӀера чоьш дӀа ма дашалаш, стаг велла дела, шайн сингаттам гайта гӀерташ.</verse>
				<verse number="2">ХӀунда аьлча хьо хьан Везачу Далла дӀакъастийна деза халкъ ду. Дуьнен тӀера дерриг а халкъашна юкъара Цо къастийна хьо, Шен долахь долу жовхӀар хилийтархьама».</verse>
				<verse number="3">Мусас кхидӀа а элира: «Везачу Элана дегаза хетачех цхьа а хӀума ма яалаш.</verse>
				<verse number="4">ХӀорш ду шуна даа мегаш долу хьайбанаш: стерчий, уьстагӀий, гезарий,</verse>
				<verse number="5">сенаш, масарш, шоьккареш, хьехарий, тайп-тайпана лунаш, акха гезарий.</verse>
				<verse number="6">КӀоргга харш а долуш, бергаш шина декъе екъаелла долу а, нох дохуш долу а муьлхха а дийнат даа мегар ду.</verse>
				<verse number="7">Делахь а, нох доккхуш долчех я кӀоргга харш а долуш, бергаш екъаеллачех хӀорш ма даалаш: эмкалш, пхьагалш, гӀамарпхьагалш. Уьш нох доккхуш елахь а, церан бергаш екъаелла яц. Уьш шуна хьарам ю.</verse>
				<verse number="8">Иштта хьакха а ю шуна хьарам. Цуьнан бергаш екъаелла ю, амма цо нох ца доху. Цу дийнатийн жижиг а ма даа, церан чархех куьг а ма Ӏотта.</verse>
				<verse number="9">Хи чохь дехачу дийнатех кӀеда а, онда а пелагаш дерш даа.</verse>
				<verse number="10">Ткъа пелагаш доцурш ма даа: уьш шуна хьарам ду.</verse>
				<verse number="11">Олхазарех а даа хьанал дерш.</verse>
				<verse number="12">Амма царах долу хӀорш даа мегар дац: аьрзу а, ломъаьрзу а, боца ког болу аьрзу а,</verse>
				<verse number="13">шен тайпанашца маккхал а, шен тайпанашца леча а,</verse>
				<verse number="14">шен тайпанашца муьлхха къиг а,</verse>
				<verse number="15">страус а, бухӀа а, чайка а, шен тайпанашца куьйра а,</verse>
				<verse number="16">соька а, ибис а, кӀайн бухӀа а,</verse>
				<verse number="17">пеликан а, сип а, чӀерийдохург а,</verse>
				<verse number="18">аист а, шен тайпанашца зуя а, хӀуттут а, бирдолаг а.</verse>
				<verse number="19">ТӀемаш долу дерриг а сагалматаш а хьарам ду шуна. Уьш ма даалаш.</verse>
				<verse number="20">Ткъа тӀемаш долчу дийнатех муьлхха а хьанал дерг даа мегаш ду.</verse>
				<verse number="21">Цхьа а къеелла йолу хӀума ма яа, муьлхачу шун гӀаланашкахь вехаш волчу тӀевеанчу стагана дӀало иза. Цуьнга яийта иза, я кхечу къомах волчунна дӀадохка и жижиг, хӀунда аьлча хьо хьан Везачу Делан деза халкъ ду. Буьхьиган жижиг цуьнан ненан шури чохь ма кхехкаде».</verse>
				<verse number="22">«ХӀора шарахь шайн кхашна тӀехь, хӀу а тесна, айхьа кхиийна долчух уьтталгӀа дакъа дӀакъастаде.</verse>
				<verse number="23">Шайн Везачу Далла хьалха, Ша Ӏайтархьама Цо схьахоржур йолчу меттигехь, даалаш шайн ялтин, шайн чагӀаран, шайн зайтдаьттан уьтталгӀа дакъа а, шайн бежанийн дуьххьарлера эса а, шайн уьстагӀийн дуьххьарлера Ӏахар а. Иза де шаьш мел деха, шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила Ӏамархьама.</verse>
				<verse number="24">Нагахь санна шун Везачу Дала Шен цӀе яккхийта схьакъастор йолу меттиг гена йолу дела, и некъ шуна беха белахь, шайн Везачу Дала шу декъалдина хиларна уьтталгӀа дакъа цига шу дӀадахьалуш дацахь,</verse>
				<verse number="25">и дерриге а детих хийца. ТӀаккха и дети шайн куьйга а диллий, шун Везачу Дала схьакъастор йолчу меттиге схьадуьйла.</verse>
				<verse number="26">Ткъа оцу детих шайн дагна мел дезнарг схьаэца: стерчий, уьстагӀий, чагӀар, кхидолу маларш, шайна мел луург. ТӀаккха цигахь, шун Везачу Далла уллохь, и хӀуманаш яа, иштта сакъералуш а хила.</verse>
				<verse number="27">Шайн гӀаланашкахь болу левихой биц ма белаш, хӀунда аьлча церан долахь, шун санна, шайн лаьттан дакъа дац.</verse>
				<verse number="28">Кхо шо хан яьлча, шаьш кхиийна долчух уьтталгӀа дакъа дерриге а дӀа а къастадай, оццу шарахь шайн гӀаланашкахь дӀадилла.</verse>
				<verse number="29">ТӀаккха левихой а (церан долахь, шун санна, лаьттан дакъа ца хиларна), тӀебаьхкина нах а, бай а, бисина зударий а схьабахкийта, оцу уьтталгӀачу дакъойх цаьрга даийта а, бузийта а, шун куьйгаша деш долчу муьлххачу а гӀуллакхашна тӀехь шун Везачу Деле шу декъалдайтархьама».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="15">
				<verse number="1">«ВорхӀ шо чекх мосазза долу, декхарш схьа ца дохуш дита.</verse>
				<verse number="2">Гечдар иштта хуьлу: шен юххерачунна юхалург хӀума елла волчу, муьлххачу стага, и декхар шен къомах волчунна гечдан деза. И декхар цо цуьнгара схьадеха ца деза, хӀунда аьлча Везачу Эло дӀакхайкхийра, декхарш схьа ца дохуш дита аьлла.</verse>
				<verse number="3">Кхечу махкара волчуьнгара декхар схьадаккха, ткъа шайн къомах волчо шуна дӀадала дезаш долу декхар схьа ца доккхуш дита.</verse>
				<verse number="4">Делахь а, шуна юкъахь мисканиг хила ца веза, хӀунда аьлча шун Везачу Дала шун дола дӀалуш долчу лаьтта тӀехь шу шортта декъалдийр ду.</verse>
				<verse number="5">Иза иштта хир ду, нагахь санна шайн Везачу Деле бен аша ладугӀур дацахь а, тахана ас шайна тӀедохкуш долу весеташ аша леррина кхочушдахь а.</verse>
				<verse number="6">Шу иштта лелахь, шун Везачу Дала шу декъалдийр ду, Ша шуьга ма-аллара. Аша дуккха а долчу халкъашна юхалург а лур ду, ткъа цаьргара юхалург хӀумма схьа а оьцур яц. Аша дуккха а халкъашна тӀехь олалла дийр ду, ткъа цара шуна тӀехь олалла дийр дац.</verse>
				<verse number="7">Нагахь санна шун Везачу Дала шуна схьалуш долчу лаьтта тӀерачу цхьана гӀалахь шун къомах болчарах цхьаъ къен хилахь, варелаш, шайн дегнаш чӀагӀ а ма делаш, шайн куьйгаш а ма дехкалаш къечунна гӀо дан.</verse>
				<verse number="8">Амма шайн куьйгаш дӀа а деллий, цунна мел оьшург юхалург лолаш.</verse>
				<verse number="9">„Декхарш дуьтуш долу ворхӀалгӀа шо тӀекхочуш ду“, — боху цӀена йоцу ойла шайн даг чу йожарх, варелаш, ларлолаш. Иза а аьлла, шайн къомах волчунна хьалха шу бӀаьрмециг довла мега, цунна юхалург хӀума а ца елла. Ткъа цо Везачу Эле латкъам бан тарло, тӀаккха иза шуна къилахь лорур ду.</verse>
				<verse number="10">ПаргӀат юхалург ло цунна, шайн дегнаш чохь яппарш а ца еш. Аш иштта делча, шун Везачу Дала шун массо а гӀуллакхашна тӀехь а, шун куьйгаша мел дечунна тӀехь а шу декъалдийр ду.</verse>
				<verse number="11">Къен адамаш-м даим а хир ду шун махкахь. Цундела шайн комаьрша куьг кховдаде шайн лаьтта тӀехь шайн къомах мел волчу къечунна я мискачунна».</verse>
				<verse number="12">«Нагахь санна шун Ӏебархойн къомах волу стаг я зуда шуна лолла вохкалахь, иза ялх шарахь шун лай хила веза. Амма ворхӀалгӀачу шарахь дӀахеца иза.</verse>
				<verse number="13">Шаьш иза дӀахецча, даьссачу куьйгашца ма вахийталаш иза.</verse>
				<verse number="14">Комаьршаллица яхьийта цуьнга шайн уьстагӀех, шайн хьаьтта тӀера долчух, шайн муттдоккхургех долу дакъа. ДӀало цунна, шун Везачу Дала шаьш мел декъалдинчуьнга хьаьжжина.</verse>
				<verse number="15">Дагахь латтаделаш Мисар-махкахь шаьш леш хилла лелар а, шайн Везачу Дала шу паргӀатдахар а. Цундела тӀедуьллу ас шуна тахана хӀара.</verse>
				<verse number="16">Нагахь санна, шу долчохь шена дика хилла дела, цо шуьга иштта алахь: „Со дӀа ца воьду шу долчуьра, сайна шу а, шун доьзал а беза дела“, —</verse>
				<verse number="17">аша, ю схьа а эций, цуьнан лергах иза чекх а яккхий, неӀарх Ӏотта. ТӀаккха иза гуттаренна а шун лай хилла вуьсур ву. Изза делахь гӀарбашна а.</verse>
				<verse number="18">Холчу ма даккха шайна иза дӀахеца везаш хилар, хӀунда аьлча ялх шарахь ша бина болу болх цо мехах аш лаьцна волчу белхалочо бинчул шозза йораха бина. Мелхо а, цу бахьаненна шун Везачу Дала аш мел деш долчунна тӀехь шу декъалдийр ду».</verse>
				<verse number="19">«Шайн бежанех а, уьстагӀех а дуьххьара дуьнен чу яьлла йолу боьрша хӀума шайн Везачу Далла дӀакъастае. Дуьххьарлерчу эсана тӀехь болх ма белахь, дуьххьарлера Ӏахар ма ларгалахь.</verse>
				<verse number="20">Шайн Везачу Далла хьалха хӀора шарахь аша а, шун доьзало а даалаш и дийнаташ Везачу Эло Шена хоржур йолчу меттехь.</verse>
				<verse number="21">Нагахь санна оцу дийнатех цхьанна тӀехь цхьа айп делахь, астагӀа я бӀаьрзе иза хилахь, я муьлхха а кхин тайпа айп долуш хилахь, шайн Везачу Далла сагӀина лерина дӀа ма ло иза.</verse>
				<verse number="22">Амма шайн гӀаланашкахь даалаш цуьнан жижиг. Иза Далла гергахь цӀена волчо а, цӀена воцучо а даа мегар ду, масаран я сен жижиг санна.</verse>
				<verse number="23">Амма цуьнан цӀий ма даалаш. Иза, хи санна, лаьтта тӀе дӀаӀанаделаш».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="16">
				<verse number="1">«Абиб олучу баттахь шайн Везачу Далла лерина Пасахьан деза денош дазде, хӀунда аьлча оцу беттан цхьана буьйсанна шун Везачу Дала Мисар-махкара арадаьхнера шу.</verse>
				<verse number="2">Везачу Эло Ша Ӏайтархьама къастор йолчу меттехь, шун Везачу Далла лерина долу Пасахьан сагӀа санна, шайн жех я бежанех цхьана дийнатна урс хьакха.</verse>
				<verse number="3">Цуьнан жижигца совсийна хӀума ма яалаш. ВорхӀ дийнахь совсоза баьпкаш даалаш цуьнца, баланийн долу баьпкаш, хӀунда аьлча шу сиха арадевллера Мисар-махкара. Даалаш и баьпкаш, дуьнен чохь шу мел деха шаьш арадовлар шайна диц ца далийта.</verse>
				<verse number="4">ВорхӀ дийнахь шун махкахь цхьанхьа а совсуьйту цхьа а хӀума каро ца еза. Хьалхарчу дийнахь, суьйранна, сагӀа даккха, ткъа жижигах долу цхьа а дакъа Ӏуьйренга ма далийта.</verse>
				<verse number="5">Шун Везачу Дала шайна лун йолчу гӀаланийн цхьанна а чохь Пасахьан сагӀина лерина долчу дийнатна урс хьокхийла дац шун.</verse>
				<verse number="6">Шун Везачу Дала Ша Ӏайтархьама къастор йолчу меттехь бен Пасахьан дийнатна урс ма хьакхалаш, сарахь, малх дӀабузучу хенахь, шун дай Мисар-махкара арабевллачу хенахь.</verse>
				<verse number="7">Шун Везачу Дала къастор йолчу оцу меттехь дийнатан жижиг кхехка а делаш, иза даа а даалаш. Ткъа шолгӀачу дийнахь шайн четарш чу юхадерза йиш ю шун.</verse>
				<verse number="8">Ялх дийнахь совсаза долу баьпкаш даа, ткъа ворхӀалгӀачу дийнахь шайн Везачу Далла беза гулам дӀахӀоттабе. Оцу дийнахь цхьа а болх ма бе».</verse>
				<verse number="9">«Маьрсаца кӀа хьокхучу хьалхарчу денна тӀера ворхӀ кӀира дагарде.</verse>
				<verse number="10">Цул тӀаьхьа шайн Везачу Далла лерина ШавуӀот цӀе йолу дезде дазделаш, шайн лаамца долу сагӀа а доккхуш, шайн Везачу Дала шу декъалдаре хьаьжжина.</verse>
				<verse number="11">Шайн Везачу Далла хьалха сакъералуш хила Цо Ша Ӏайтархьама къастор йолчу меттехь — шу а, шун кӀентий а, йоӀарий а, шун леш а, гӀарбашаш а, шун гӀаланашкахь Ӏаш болу левихой а, тӀебаьхкина нах а, иштта бай а, бисина Ӏаш болу зударий а.</verse>
				<verse number="12">Мисар-махкахь шаьш леш хилла лелар дагахь латтаде. Цундела и парзаш лар а де, уьш кхочуш а де».</verse>
				<verse number="13">«Кхалораш кӀелахь Ӏаш долу деза денош ворхӀ дийнахь дазде, шаьш аренаш тӀера ялта хьаькхна девлча а, шайн муттдоккхургашна чуьра чагӀар схьадаьккхина девлча а.</verse>
				<verse number="14">Оцу дезачу деношкахь сакъера — аша а, шун кӀенташа а, йоӀарша а, шун леша а, гӀарбашаша а, шун гӀаланашкахь Ӏаш болчу левихоша а, тӀебаьхкинчу наха а, байша а, бисинчу зударша а.</verse>
				<verse number="15">ВорхӀ дийнахь шайн Веза Дела лоруш дазделаш и денош, Везачу Эло къастор йолчу оцу меттехь. Кхоччуш сакъералуш хилалаш, хӀунда аьлча шун Везачу Дала аш ялта чудерзоран балхана тӀехь а, шун куьйгаша мел дечу гӀуллакхашна тӀехь а декъалдина ду шу.</verse>
				<verse number="16">Шарахь кхузза халкъана юкъара боьрша стаг мел верг шен Везачу Далла хьалха дӀахӀотта веза Цо къастор йолчу оцу меттехь — совсазчу баьпкан дезачу дийнахь, ШавуӀот цӀе йолчу дезачу дийнахь, Кхалорийн дезачу деношкахь. Цхьа а стаг Везачу Элана хьалха даьссачу куьйгашца ван ца веза.</verse>
				<verse number="17">ХӀорра а шен Везачу Дала ша декъалваре хьаьжжина, Везачу Элана лерина долу совгӀат карахь а дахьаш ван веза».</verse>
				<verse number="18">«Шун Везачу Дала шайна лур йолчу массо а гӀаланашкахь шайн-шайн тайпанийн латтанашкахь кхелахой а, тӀехьовсурш а дӀахӀиттабе. Иза де цаьрга халкъана тӀехь нийса кхел яйтархьама.</verse>
				<verse number="19">Ма талхаделаш кхелъяр, цхьаьнгге а озабезам ма белаш. Ма эцалаш кхаьънаш, хӀунда аьлча кхаьънаша хьекъале берш а бӀарзбо, нийса болчеран гӀуллакхаш хийцадолуьйту.</verse>
				<verse number="20">Массо а хенахь бакъйолу кхел бен ма елаш, шаьш дийна хилийтархьама а, шайн Везачу Дала шайна луш долу латта дола даккхархьама а.</verse>
				<verse number="21">Шайн Везачу Далла аша дӀахӀоттор болчу сагӀа доккхучу кхерчана уллохь Ашера-далла лерина болу цхьа а дечиган бӀогӀам ма хӀоттабелаш</verse>
				<verse number="22">Харцделанашна а тӀулгаш дӀа ма хӀиттаделаш. Иза шун Везачу Далла цадезарг ду».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="17">
				<verse number="1">«Шайн Везачу Далла сагӀина сакхт долу, я кхин заралла долу сту я уьстагӀ ма балаш, хӀунда аьлча иза Цунна дегаза хета. Иза Везачу Далла хьалха дегаза ду.</verse>
				<verse number="2">Нагахь санна шун Везачу Дала шуна луш йолчу цхьана гӀалахь, Делаца бина барт а бохош, Цунна зуламе хеташ дерг дина цхьа стаг я зуда хилахь,</verse>
				<verse number="3">нагахь санна цара, Ас тӀедиллина долчунна дуьхьал а лелаш, кхечу деланашна Ӏамал а яхь, я царна, я малхана, я баттана, я стигалийн ницкъашна Ӏибадат а дахь,</verse>
				<verse number="4">ткъа шуьга царах лаьцна хаам а беана, шуна иза схьахазахь, аша и гӀуллакх леррина талла деза. Нагахь санна и дегаза хӀума исраилхошна юкъахь далийтина хилар билггал бакъ хилахь,</verse>
				<verse number="5">аша и зулам дина волу стаг я зуда гӀалин кевнашна арахула тӀе а валавай, иза валлалц цунна тӀе тӀулгаш кхисса.</verse>
				<verse number="6">Шина я кхаа тешо динчу тоьшаллица бен и бехкеверг вен ца веза. Стаг вен кхел ярхьама, теш цхьаъ хилла Ӏан ца веза.</verse>
				<verse number="7">Тоьшалла деш болчеран куьйгаш массерачул а хьалха хьалаайина хила деза и стаг вен, цул тӀаьхьа дерриге а халкъо царна тӀулгаш кхисса деза. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха.</verse>
				<verse number="8">Нагахь санна цхьа къовсаме долу гӀуллакх цхьалхадаккха шайна хала делахь, — и гӀуллакх цӀий Ӏанорах лаьцна, девнах лаьцна, я чов ярх лаьцна делахь, — шун гӀаланашкара нах берриш а цхьатерра реза бацахь, хьала а гӀовттий, шайн Везачу Дала къастор йолчу оцу метте дӀагӀо.</verse>
				<verse number="9">Левихой болчу динан дайшна а, оцу деношкахь кхел еш хир волчу кхелахочунна а тӀе а гӀой, цаьрга хатта, тӀаккха цара эр ду шуьга кхел нийса муха ян еза.</verse>
				<verse number="10">И гӀуллакх Везачу Эло къастор йолчу меттехь, цара ма-аллара, чекх а даккха, цара шайна хьехнарг дерриг а кхочушдан а хьажа.</verse>
				<verse number="11">Цара шайна хьехначу хьехамашца а, цара тӀедиллинчуьнца а лелалаш. Цара аьллачунна тӀера я аьтту, я аьрру агӀор ма довлалаш.</verse>
				<verse number="12">Ткъа цигахь шун Везачу Далла гӀуллакх деш волчу динан дас а, кхелахочо а бохург ца деш кӀоршаме леларг вен веза. Иштта дӀадаккха исраилхошна юкъара зулам.</verse>
				<verse number="13">Иза дерриге а халкъана дӀахезар ду. Нах кхералур бу, уьш кхидӀа кӀоршаме лелар бац».</verse>
				<verse number="14">«Шайн Везачу Дала шайна луш долчу лаьтта тӀе а даьхкина, латта шайн дола а даьккхина, цигахь шаьш даха хевшича, аша иштта ала мега: „Ваьшна тӀехь паччахь дӀахӀоттаве вай, вайна гонах долчу халкъаша ма-хӀоттаварра“.</verse>
				<verse number="15">Иштта делахь, шун Везачу Дала схьахаьржжинарг дӀахӀоттавелаш шайна тӀехь паччахь. И паччахь шун гергарчарна юкъара хила веза. Кхечу махкара волу а, шун къомах воцу а стаг шуна тӀехь паччахь дӀахӀоттавойла дац.</verse>
				<verse number="16">Цо шена дукха говраш а ма гулйойла, нах Мисар-махка а ма бахийтойла, шена кхин говраш хилийтархьама, хӀунда аьлча Везачу Эло шуьга аьлла дара: „Мисар-махка юха ма дуьйлалаш“.</verse>
				<verse number="17">Шен дог Делах ца тилийтархьама, шена дукха зударий а ма балабойла цо. Иштта деши а, дети а дукха ма гулдойла цо.</verse>
				<verse number="18">Амма шен паччахьаллин гӀанта тӀе ша охьахиъча, левихойн динан дайшкахь долчу тептарш тӀера хӀара товрат-хьехамаш шена дӀаязбан беза цо.</verse>
				<verse number="19">И дӀаяздина тептар цуьнгахь хуьлийла, ша мел вехачу деношкахь даим а доьшийла цо иза, шен Везачу Деле ларамах вуьзна хила Ӏамархьама а, и берриге а товрат-хьехамаш а, парзаш а леррина кхочушдархьама а.</verse>
				<verse number="20">Цуьнан дог кура ма долийла шен къомах болчарна хьалха, оцу весеташна тӀера дӀа ма волийла иза я аьтту, я аьрру агӀор, иза а, цуьнан кӀентий а дуккха а хенашкахь исраилхошна тӀехь паччахьалла деш хилийтархьама».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="18">
				<verse number="1">«Динан дай болчу левихошна а, дерриг а левихойн тайпанна а лаьттан дакъа кхочур дац Исраилан махкахь. Везачу Элана деанчу сагӀанех дакъа кхочур ду царна, цунах хир ду церан рицкъа.</verse>
				<verse number="2">Шайн вежаршна-исраилхошна юкъахь лаьттан дакъа кхочур дац левихошна. Церан дакъа Веза Эла ву, Цо Ша цаьрга ма-аллара.</verse>
				<verse number="3">Стерчий я уьстагӀий сагӀина деанчу наха динан дайшна дӀаяла еза цу дийнатийн хӀара меженаш: тӀа а, мочхалш а, искиртиг а.</verse>
				<verse number="4">Иштта дуьххьара гулдина ялта а, даьккхина чагӀар а, даьтта а, уьстагӀашна тӀера дуьххьара лергина тӀаргӀа а дӀало царна.</verse>
				<verse number="5">ХӀунда аьлча шун Везачу Дала къастийна уьш шуна юкъара, Шена хьалха а лаьтташ, цара а, церан тӀаьхьено а Везачу Элан дуьхьа гӀуллакх дархьама.</verse>
				<verse number="6">Муьлхха а левихо, ша Ӏийначу гӀали чуьра Исраилан мехкан мичча а меттера дӀа а вахана, Везачу Эло къастийначу метте шен деган лаамца ван йиш йолуш ву.</verse>
				<verse number="7">Цигахь Везачу Элана Ӏамал еш болу шен вежарий левихой санна, шен Везачу Далла гӀуллакх деш иза велахь,</verse>
				<verse number="8">вукху левихоша санна, цхьатерра дакъа схьаэца йиш ю цуьнан, шен ден бахам боьхкина эцначул совдаьккхина».</verse>
				<verse number="9">«Шайн Везачу Дала шайна лун долчу лаьтта тӀе шаьш даьхкича, кхечу халкъаша лелийна боьха гӀуллакхаш дан ма Ӏамалаш.</verse>
				<verse number="10">Шайна улло ма вита шен кӀант я йоӀ цӀергахь дагош верг, пал тосуш верг, жинашца тайнарг, эвлаяъ, бозбунчалла лелош верг,</verse>
				<verse number="11">адамийн синош тӀедоьхуш верг, молханаш лелош верг, беллачу нахаца къамел дан гӀерташ верг.</verse>
				<verse number="12">ХӀунда аьлча Везачу Элана боьха хета и гӀуллакхаш лелош берш, цундела шуна хьалхара дӀалохку Цо и халкъаш, церан боьха гӀуллакхаш бахьана долуш.</verse>
				<verse number="13">Шайн Везачу Далла хьалха цӀена хила».</verse>
				<verse number="14">«Аш дӀалохкур долчу цу халкъаша пал тосучаьрга а, бозбунчашка а ладугӀу, ткъа шун Везачу Дала шуна иза дан пурба ца делла.</verse>
				<verse number="15">Шуна юкъара, шун вежарех, со санна, шун Везачу Дала Пайхамар воуьйтур ву шуна. Цуьнга ладогӀа.</verse>
				<verse number="16">Дала иза лур ву шуна аша вехарна, хӀунда аьлча шаьш Хьариб-лам тӀехь гулделлачохь аш дехна: „ХӀинца чул тӀаьхьа тхан Везачу Делан аз ма хозийла тхуна, кхин хӀара сийлахь цӀе а ма гойла тхуна, тхо хӀаллак ца хилархьама!“ — бохуш.</verse>
				<verse number="17">Везачу Эло соьга элира: „Дика ду цара иза доьхуш хилар.</verse>
				<verse number="18">Ас церан вежаршна юкъара хьо санна волу Пайхамар лур ву царна. Бийца мотт лур бу Ас Цунна, тӀаккха Ас Шена тӀедиллинарг нахе дӀаэр ду Цо.</verse>
				<verse number="19">Сайн Пайхамарехула Ас бохучуьнга ла ца доьгӀначуьнгара Ас жоп доьхур ду.</verse>
				<verse number="20">Ас шена тӀедиллина доцург Сан цӀарах дуьйцуш волу пайхамар а, кхечу деланийн цӀарах къамел деш волу пайхамар а хӀаллакве“.</verse>
				<verse number="21">Аш ойла ян тарло: „Тхуна муха хуур ду Везачу Элера ду я дац пайхамаро дуьйцуш дерг?“</verse>
				<verse number="22">Нагахь пайхамаро Везачу Элан цӀарах аьлларг кхочуш ца хилахь, и дешнаш Везачу Элера дац. Уьш цу пайхамаро шегара дуьйцуш ду. Цунах ма кхера!»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="19">
				<verse number="1">«Шун Веза Дела шуна схьалуш долчу лаьтта тӀера къаьмнаш хӀаллакдина ваьлча, аша церан латта шайн дола доккхур ду, церан гӀаланашкахь а, цӀеношкахь а даха а ховшур ду шу.</verse>
				<verse number="2">ТӀаккха шун Везачу Дала шуна дӀалуш долчу шайн лаьттана юккъехь шайна кхо гӀала дӀакъастае.</verse>
				<verse number="3">Шайн Везачу Дала шайн дола луш долчу лаьттах кхо дакъа а де, хӀора декъа чохь дӀакъастийна йолчу гӀалина тӀедоьлху некъаш а де, адам дийна волчу муьлххачу а стеган цига дӀавада аьтто хилийтархьама.</verse>
				<verse number="4">Шен са кӀелхьардаккхархьама, оцу гӀаланех цхьаьнга ведда волчу адам дийначу стагах лаьцна долу весет иштта ду. И санна волчу стага ларамаза шена уллораниг вийна хила веза, велларг валале хьалха цуьнца мостагӀалла а доцуш.</verse>
				<verse number="5">Масала шух шиъ хьуьнах вогӀу дечиг даккха, ткъа дитт хадо хьалхарчу стага диг хьалаайича, оцу дагаро, даганна тӀера а даьлла, шолгӀачу стагана тӀе а кхетта, иза вен тарло. ДӀалочкъийла йолчу гӀаланех цхьанхьа дӀавада мегар ду адам дийна волу иштта стаг, дийна висархьама.</verse>
				<verse number="6">И гӀаланаш кхоъ ца хилча, некъ беха хиларна чӀир йоькхучо, ша оьгӀазвахханчохь, стаг вийначунна тӀаьхьа а ваьлла, цунна тӀе а кхаьчна, иза вен тарло. Делахь а, оцу стагана вен кхел ца йогӀу, иза хьалха оцу веллачуьнца мостагӀалла долуш ца хилла дела.</verse>
				<verse number="7">Цундела дина ас хӀара омра: „Шайна кхо гӀала дӀакъастае“, — аьлла.</verse>
				<verse number="8">8-9 Шун Везачу Дала, шун дайшна ваӀда ма-дарра, шун долахь болу мохк алсамбаьккхича, шун дайшка Ша йинчу чӀагӀоне хьаьжжина, Цо дерриге а латта шуна дӀаделча, кхин а кхо гӀала дӀакъастае. (Дала и латта лур ду шуна, нагахь санна тахана ас тӀедуьллуш долу хӀара дерриге а весеташ аша леррина кхочушдахь — нагахь санна шун Веза Дела шуна везахь, шаьш мел деха Цуьнан некъашца шу лелахь.)</verse>
				<verse number="9">***</verse>
				<verse number="10">Иза делаш шун Везачу Дала шун дола лур долчу шайн лаьттана юккъехь бехк боцучу стеган цӀий ца Ӏанадайтархьама а, шуна тӀехь цӀий ца хилийтархьама а.</verse>
				<verse number="11">Амма нагахь санна цхьаъ вукхуьнан мостагӀа а хилла, иза лар а вина, цунна тӀе а кхетта, иза вен а вийна, царах цхьана гӀала дӀавадахь,</verse>
				<verse number="12">тӀаккха цуьнан гӀаларчу къаноша, иза цигара схьалаца цунна тӀаьхьа нах бахийта беза. И стаг чӀир йоькхучу нехан кара дӀавала веза, иза валийтархьама.</verse>
				<verse number="13">Шун бӀаьргашна къа ма хетийла цунах. Бехк боцучу стеган цӀий Ӏанор дӀадаккха исраилхошна юкъара, шуна дика хилийтархьама».</verse>
				<verse number="14">«Шайн Везачу Дала шун дола дӀалуш долчу лаьтта тӀехь а долу, шуна кхочуш долу дакъа дӀакъастош а долу, шайн дайша дӀахӀоттийна а долу шира доза дӀа ма хиладе.</verse>
				<verse number="15">Нагахь санна муьлхха а къа латорна тӀехь я зулам дарна тӀехь стаг бехкевеш велахь, цхьа теш хилар ца тоьу. ХӀорра а бехкевар шина я кхаа тоьшалла дечеран багахула бен чӀагӀдийр дац</verse>
				<verse number="16">Нагахь санна мекара тоьшалла деш волу цхьаъ цхьанна дуьхьалвалахь, цо Ӏесалла ялийтина иза бехке а веш,</verse>
				<verse number="17">тӀаккха юкъахь дов долу и ший а стаг Везачу Элана а, оцу деношкахь гӀуллакх деш хир болчу динан дайшна а, кхелахошна а хьалха дӀахӀуттийла.</verse>
				<verse number="18">И гӀуллакх кхел ечара дикка талла деза. Нагахь санна и тоьшалла деш верг харцлуьйш а велахь, цо шен къомах волчунна харцтоьшалла а динехь,</verse>
				<verse number="19">тӀаккха шен къомах волчунна дан цунна дагадеанарг цунна а делаш. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха.</verse>
				<verse number="20">Иза кхечарна дӀахезар ду, тӀаккха уьш кхералур бу, иштта зулам шуна юкъахь кхин долуьйтур дац.</verse>
				<verse number="21">Къа ма хетийла цунах шун бӀаьргашна: синах са даккха догӀу, хьайн бӀаьрг баккхахь, цунна дуьхьал бӀаьрг баккха, цергана дуьхьал церг яккха, куьйгах — куьг, когах — ког».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="20">
				<verse number="1">«Шайн мостагӀашна дуьхьал тӀом бан шу доьлхуш шун чул дукха йолу церан говраш, гӀудалкхаш, тӀемалой шайна гича, кхера ма лолаш, хӀунда аьлча Мисар-махкара шу арадаьхна волу шун Веза Дела шуьца ву.</verse>
				<verse number="2">Шу тӀаме новкъа довлуш, динан дас, хьалха а ваьлла, халкъе иштта ала деза:</verse>
				<verse number="3">„ЛадогӀа соьга, Исраилан халкъ! Аша тахана шайн мостагӀчуьнца тӀом дӀаболош бу. Доьналлех ма довлалаш, ма кхералаш, царах ма озалолаш, Ӏадийна ма хилалаш!</verse>
				<verse number="4">ХӀунда аьлча шун Веза Дела шуьца новкъа ваьлла мостагӀчух тасадала шуна гӀо дархьама. Цо шуьга толам боккхуьйтур бу“.</verse>
				<verse number="5">ТӀехьовсучара эскаре иштта дӀахьедан деза: „Керла цӀа дӀа а хӀоттийна, иза Далла къобалдина воцург, шен цӀа юхаверза. Иза тӀамехь вен тарло, тӀаккха цуьнан цӀа кхечу стага къобалдийр ду.</verse>
				<verse number="6">Кемсийн беш а йоьгӀна, цунна тӀера стом схьа ца баьккхинарг а шен цӀа юхаверза. ХӀунда аьлча иза тӀамехь лахь, кхечу стага пайда оьцур бу цуьнан кемсийн бешах.</verse>
				<verse number="7">Зудчуьнца захало а дийцина, иза схьаяло цакхиънарг а шен цӀа юхаверза. ХӀунда аьлча иза тӀамехь лахь, цуьнца захало дийцина йолу и зуда кхечу стага юьгур ю шена“.</verse>
				<verse number="8">ТӀехьовсучара кхин а иштта дӀахьеде эскаре: „Кхоьруш верг а, доьналла доцург а шен цӀа верза, кхечу тӀемалойн дегнаш, цуьнан дог санна, кӀеда ца хилийтархьама“.</verse>
				<verse number="9">Эскаре къамел дина девллачул тӀаьхьа, тӀеман хьаькамаш схьахаржа, уьш тӀемалошна хьалха бовлийтархьама.</verse>
				<verse number="10">Шаьш цхьа гӀала дӀалацархьама цунна герга даьхкича, цкъа хьалха барт бан хьовсалаш.</verse>
				<verse number="11">Нагахь санна, реза а хилла, цара гӀалин ков дӀаделлахь, оцу гӀалахь мел болчарах шун леш хир бу, ткъа аша цаьрга белхаш бойтур бу.</verse>
				<verse number="12">Нагахь санна, реза а ца хилла, цара шуьца тӀом дӀаболабахь, аша цу гӀалина го белаш.</verse>
				<verse number="13">Шун Везачу Дала и гӀала шун кара схьаелча, цуьнан боьрша нах берриш а хӀаллакбе туьран ираллица.</verse>
				<verse number="14">Амма цуьнан ерриг а хӀонс (зударий а, бераш а, даьхни а, гӀалахь мел дерг а) шайна схьа а эций, шун Везачу Дала шун кара яийтинчу мостагӀийн хӀонсах шайна пайда эцалаш.</verse>
				<verse number="15">Оцу кепара аша дан деза шайна уллорачу къаьмнийн долахь йоцучу а, шуна дикка гена йолчу а массо а гӀаланашна.</verse>
				<verse number="16">Ткъа шун Везачу Дала шун дола схьалуш долчу лаьттахь йолчу гӀаланашкахь цхьа а чохь са долу хӀума дийна ма йиталаш.</verse>
				<verse number="17">Шун Везачу Дала тӀе-ма-диллара, Цунна дӀа а къастадай, хӀара халкъаш кхоччуш дакъазадаха: хьетахой а, эмархой а, канаӀанхой а, перезахой а, хьаьвихой а, явсайхой а.</verse>
				<verse number="18">Иза делаш, шайн деланашна цара лелош долу дегаза гӀуллакхаш дан шайна цаьрга Ӏама а дойтуш, шайн Везачу Далла дуьхьал къа ца латорхьама.</verse>
				<verse number="19">Нагахь санна, толам а баьккхина, шайна схьаяккхархьама, цхьа гӀала го бина аша дукха латтаяхь, оцу гӀалин дитташ, шуна баа стом лун дерш, ма дохаделаш. Дагарца ма хададелаш и дитташ. Аренгахь лаьтташ долу дитт адам ма дац, шу тӀелата дезаш долу.</verse>
				<verse number="20">Шайна девзаш долу баа мега стом луш доцу дитташ дохо а, дӀахадо а мегар ду, шайца тӀом беш йолчу гӀалина дуьхьал чӀагӀонаш дӀахӀитторхьама, шаьш цунна тӀехь толам баккхалц».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="21">
				<verse number="1">«Нагахь санна шун Везачу Дала хьуна схьалур долчу лаьттан аренгахь Ӏуьллуш цхьана веллачу стеган дакъа схьакарадахь, иза вийнарг мила ву хууш а дацахь,</verse>
				<verse number="2">шун къаной а, шун кхелахой а арабовла беза. Цара велларг Ӏуьллучу меттигна тӀера гонахарчу гӀаланашна тӀекхаччалц йолу юкъ юста еза.</verse>
				<verse number="3">Велларг Ӏуьллучу меттигера уггар а йоца юкъ йолчу гӀалин къаноша схьаэца деза цкъа а болх байтаза а, цкъа а дукъ лелоза а долу шинар.</verse>
				<verse number="4">И шинар оцу гӀалин къаноша дӀадига деза ахказа а, дӀаенза а йолчу, чохь татол долуш йолчу тогӀене. Оцу тогӀи чохь шинаран ворта кагъян еза.</verse>
				<verse number="5">Цул тӀаьхьа левихой болу динан дай тӀебахка беза, хӀунда аьлча муьлхха а къовсаме долу гӀуллакх а, муьлхха а ницкъбар а церан сацамца къасто деза. Уьш шун Везачу Дала къастийна бу Шена гӀуллакх дайта а, Везачу Элан цӀарах декъалдарш дайта а.</verse>
				<verse number="6">Веллачун юххехь йолчу оцу гӀалин массо а къаноша шайн куьйгаш дила деза, тогӀи чохь ворта кагйинчу шинаран коьрта тӀехула а лоцуш.</verse>
				<verse number="7">Цара, дӀа а кхайкхош, иштта ала деза: „Тхан куьйгаша Ӏанийна дац хӀара цӀий, тхан бӀаьргашна гина хӀума а дац хӀара.</verse>
				<verse number="8">Веза Эла, мах баларца Айхьа Мисар-махкара паргӀатдаьккхина долчу а, Хьан долчу а Исраилан халкъан къа дӀадаккхахьа. Ма хьарчийтахьа царах бехк боцучун цӀий Хьан халкъ долчу исраилхойх“. ТӀаккха цӀий Ӏаноран къа царна тӀера дӀадаьккхина хир ду.</verse>
				<verse number="9">Иштта дӀадаккха бехк боцучун цӀий шайна тӀера, шайн Везачу Далла хьалха дика дерг а, нийса дерг а шаьш дина дела».</verse>
				<verse number="10">«Шайн мостагӀашна дуьхьал шу тӀом бан дахча, шун Везачу Дала уьш шун кара схьабелча, аш царна йийсар дича,</verse>
				<verse number="11">оцу йийсархошна юкъахь шух цхьанна хаза куц долу зуда гахь, еза а елла, иза шена йига цунна дагадагӀахь,</verse>
				<verse number="12">оцу стага иза шен цӀа а йига, цу зудчуьнга месаш шега дӀа а ларгийта, мӀараш дӀа а хедаяйта.</verse>
				<verse number="13">Шена тӀехь йолу йийсархочун бедарш а дӀаяхийта цуьнга. Цо иза шен кертахь Ӏайта. Цхьана баттахь шен дена а, шен нанна а белхар дайта цуьнга. Цул тӀаьхьа оцу стеган йиш хир ю, цунах куьг а тоьхна, цуьнан майра хила. ТӀаккха иза цуьнан зуда хир ю.</verse>
				<verse number="14">Нагахь санна, хан яьлча, цунна иза ца езахь, и зуда дӀаяхийта мегар ду цунна луъучу меттиге. Амма цо иза детих дӀайохка а мегар дац, цунах лай ян а мегар дац, иза ша сийсазъяьккхина дела».</verse>
				<verse number="15">«Нагахь санна цхьаннан ши зуда елахь — езаш йолу цхьаъ а, езаш йоцу важа а, — ткъа оцу шинна а зудчун — езаш йолчун а, езаш йоцучун а, — кӀентий хилахь, нагахь санна дуьххьарлера доьзалхо волу кӀант ца езаш йолчу зудчух схьаваьлла велахь,</verse>
				<verse number="16">тӀаккха, кӀенташна юкъахь бахам боькъучу даьлча, цуьнан йиш яц езаш йоцучу зудчун кӀантера езачу зудчун кӀантана дӀадала дуьххьарлера доьзалхо хилар.</verse>
				<verse number="17">Ца езачу зудчун кӀант цо дуьххьарлера кӀант лара веза. Шен мел долчу хӀуманан ши дакъа цо цунна дӀадала деза, хӀунда аьлча иза цуьнан ницкъан юьхьиг ю. Дуьххьарлера доьзалхо хиларан бакъо цуьнан ю».</verse>
				<verse number="18">«Нагахь санна цхьаннан шен дас бохучуьнга а, шен нанас бохучуьнга а ла ца дугӀуш юхахьара а, аьрха а кӀант велахь, дас-нанас шена таӀзар дича а, иза ладугӀуш а вацахь,</verse>
				<verse number="19">цуьнан дас-нанас иза шайн гӀалин къаношна тӀевало веза, шаьш дехачу гӀалин кевнехь кхел яйта.</verse>
				<verse number="20">Дас-нанас шайн гӀалин къаношка иштта дӀаала деза: „ХӀара тхан кӀант юхахьара а, аьрха а ву. Оха бохучуьнга хӀара ладугӀуш а вац, хӀара кхоамза стаг а ву, кад беттарг а ву“.</verse>
				<verse number="21">Цул тӀаьхьа цуьнан гӀаларчу бахархошка иза валлалц цунна тӀулгаш кхиссийта. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха. Иза дӀа а хезна, берриг а исраилхой кхералур бу».</verse>
				<verse number="22">«Нагахь вен хьакъ долу зулам гучу а даьлла, стаг вийначул тӀаьхьа, аша и дакъа диттах ирхъоллахь,</verse>
				<verse number="23">цу докъе дитта тӀехь буьйса ма яккхийта, оццу дийнахь иза дӀаволла, хӀунда аьлча диттах ирхъоьллина волу муьлхха а стаг Далла хьалха неӀалт кхайкхийна ву. Шайн Везачу Дала шайн дола луш долу латта бех ма де».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="22">
				<verse number="1">«Кхечу исраилхочун тилабелла сту я уьстагӀ шайна гича, и дийнат ма диталаш, оцу стагана юхадерзаделаш иза.</verse>
				<verse number="2">Нагахь санна дийнатан да шуна гергахь вацахь, я шуна иза вевзаш вацахь, дийнат шайн керта схьа а даладай, шайн кертахь латтаде, цуьнан дас иза лоьхучу ханна. Цул тӀаьхьа цунна дӀало иза.</verse>
				<verse number="3">Изза делаш кхечу исраилхочун вираца я бедаршца. Изза делаш цуьнан яйначу, ткъа шуна карийначу муьлххачу а хӀуманца. Оцу тӀера шун дӀадовлийла дац.</verse>
				<verse number="4">Кхечу исраилхочун вир я сту охьабоьжна шайна гахь, и дийнат ма дита, цуьнца цхьаьна хьалагӀаттабе иза.</verse>
				<verse number="5">Зударшна тӀехь божарийн духар хила ца деза, божарша а духа ца деза зударийн духар, хӀунда аьлча иштта дерг деш волу муьлхха а стаг шун Везачу Далла дегаза хета.</verse>
				<verse number="6">Нагахь санна некъ беш цхьана дитта тӀехь я лаьтта тӀехь чохь кӀорнеш я хӀоаш долу олхазаран бен шуна нислахь, ткъа церан нана оцу кӀорнеш тӀе я хӀоаш тӀе хиъна хилахь, и нана кӀорнешца цхьаьна схьа ма эцалаш.</verse>
				<verse number="7">КӀорнеш шайна схьаэцалаш, ткъа нана дӀахеца хьовсалаш, шуна дика хилийтархьама а, шун хан яхъялийтархьама а.</verse>
				<verse number="8">Нагахь санна керла цӀа дӀахӀоттор делахь, шайн шерачу тхевнна тӀехь керт дӀахӀоттае. Иза делаш нагахь оцу тхевнна тӀера цхьаъ охьакхетахь, шайн цӀенна цӀий ца хьарчийтархьама.</verse>
				<verse number="9">Шайн кемсийн бешахь кхечу хӀуманийн хӀуш ма де. Аша кхечу хӀуманийн хӀуш цигахь дехь, дерриг а ялта — аша дийнарг а, кемсийн стоьмаш а — аша шайна схьагулдан мегар дац.</verse>
				<verse number="10">Сту а, вир а цхьаьна дӀа ма йожа, цаьрца охана дархьама.</verse>
				<verse number="11">Шайна тӀе а ма духа тайп-тайпанарчу тайнех дуьйцина долу духар: эханган а, ветанан а теш цхьаьна доьзна долу.</verse>
				<verse number="12">Шаьш тӀетосучу хӀуманна еа а маьӀӀе чечакхаш тӀетега».</verse>
				<verse number="13">«Нагахь санна цхьаммо, шена зуда а йигина, ткъа тӀаьхьа и зуда чӀогӀа еза а ца елла,</verse>
				<verse number="14">цунна дуьхьал телхина гӀуллакхаш а долийна, цунах лаьцна цӀе кхуллу хабар а даьккхина: „Аса хӀара зуда ялийнера, амма иза йоӀстаг ца хилла“, — алахь,</verse>
				<verse number="15">оцу кхиъначу йоӀан дас-нанас шайн йоӀ йоӀстаг хиларан билгало ара а яьккхина, гӀалин къаношка дӀагайта еза гӀалин кевнехь.</verse>
				<verse number="16">Оцу йоӀан дас къаношка иштта дӀаала: „Сайн йоӀ аса хӀокху стаге маре дӀаелла, ткъа хӀинца иза цунна ца еза.</verse>
				<verse number="17">Цундела цо цунах лаьцна харцдерг дуьйцу. Цо боху: ‘Суна ца карийра хьан йоӀ йоӀстаг хилар’. ХӀара ю сан йоӀ йоӀстаг хиларан билгало“. Цара и билгало йолу хӀума гӀалин къаношна хьалха охьаюьллур ю.</verse>
				<verse number="18">Ткъа гӀалин къаноша, и стаг схьа а лаьцна, цунна таӀзар дийр ду.</verse>
				<verse number="19">Оцу стагана бӀе шекхал дети далар тӀедуьллур ду. И ахча йоӀан дена дӀалур ду, исраилхойн йоӀах лаьцна зуда ялийначо харцдерг дийцарна. Ткъа иза цуьнан зуда хилла юьсур ю. Ша мел веха оцу стагана дихкина ду шен зудчух дӀакъастар.</verse>
				<verse number="20">Нагахь санна дийцинарг бакъ а хилла, и йоӀ йоӀстаг ца хилахь,</verse>
				<verse number="21">тӀаккха иза цуьнан ден цӀийнан неӀаре схьаяло еза, гӀалин бахархоша цунна тӀулгаш кхуьссур ду иза яллалц, исраилхошна юкъахь цо эхье гӀуллакх лелийна дела: шен ден цӀахь йоллушехь, нахаца лелла иза. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха.</verse>
				<verse number="22">Нагахь санна марехь йолчу зудчуьнца цхьаъ вижина каравахь, и шиъ ший а ден деза: зудчуьнца вижина хилла волу стаг а, и зуда а. Иштта исраилхошна юкъара зулам дӀадаккха.</verse>
				<verse number="23">Нагахь санна къона зуда, цхьана стагана захало дийцина а йолуш, гӀалахь кхин цхьаъ, цунна дуьхьал а кхетта, цуьнца леллехь,</verse>
				<verse number="24">и ший а оцу гӀалин кевне схьадаладе. Уьш баллалц царна тӀулгаш кхисса: йоӀ е, цо гӀалахь мохь ца хьекхна дела, ткъа стаг ве, цо кхечу стеган зуда сийсазъяьккхина дела, ткъа стагана — цо шен уллорачун зуда сийсазъяьккхина дела. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха.</verse>
				<verse number="25">Нагахь санна захало дийцина йолчу йоӀана арахь цхьаъ дуьхьал а ваьлла, катоьхна схьа а лаьцна, и йоӀ цо хьийзинехь, тӀаккха цуьнца хилла волу и стаг бен вен ца веза,</verse>
				<verse number="26">ткъа йоӀана хӀумма а ма де: оцу йоӀана тӀехь и ен хьакъ долу зулам дац. ХӀунда аьлча иштта дина хӀума цхьамма, кхечунна дуьхьал а ваьлла, иза вер санна лоруш ду.</verse>
				<verse number="27">Цо и йоӀ аренгахь схьалаьцна, йоӀа мохь мел хьекхарх, иза кӀелхьаръяккха стаг ца хилла цигахь.</verse>
				<verse number="28">Нагахь санна, цхьамма захало дийцина йоцучу йоӀана дуьхьал а ваьлла, схьа а лаьцна, иза хьийзича, и хӀума гучудалахь,</verse>
				<verse number="29">тӀаккха оцу йоӀаца хиллачо цуьнан дена шовзткъе итт шекхал дети дала деза, ткъа иза цуьнан зуда хила еза, цо иза сийсазъяьккхина дела. Ша мел веха, оцу зудчух дӀакъаста дихкина ду оцу стагана.</verse>
				<verse number="30">Цхьаммо а шен ден кхин зуда йига а ца еза, и дарца шен ден дӀавуьжу мотт сийсаз а беш».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="23">
				<verse number="1">«Зирх йохийначу, я бер хуьлуьйту меже дӀахадийна волчун Везачу Элан гуламе ваха йиш яц.</verse>
				<verse number="2">КъотӀалгӀавиначун а йиш яц Везачу Элан гуламе ваха. Ур-атталла цуьнан уьтталгӀачу тӀаьхьенан а йиш яц цига ваха.</verse>
				<verse number="3">Ӏамминхойн а, муабахойн а йиш яц Везачу Элан гуламе баха. Ур-атталла церан уьтталгӀачу тӀаьхьенан а йиш яц цига баха.</verse>
				<verse number="4">ХӀунда аьлча шу Мисар-махкара схьадогӀучу хенахь уьш баьпкаца а, хица а дуьхьал ца баьхкинера шуна. Цара Арам-НахӀараймерачу Патур-гӀалара БеӀаран кӀант волу БалиӀам лаьцна дуьхьал а валийнера, шуна неӀалт кхайкхадайтархьама.</verse>
				<verse number="5">Амма шун Везачу Далла ца лиира БалиӀаме ладогӀа. Шун Везачу Дала цуьнан неӀалтех шуна декъалдар хилийтира, шун Везачу Далла шу деза дела.</verse>
				<verse number="6">Шайн къам мел хир ду, уьш маьрша хилийта а, церан беркате дахар хилийта а хӀумма а ма делаш.</verse>
				<verse number="7">Эдомхой дӀа ма татталаш, уьш шун гергара къам долу дела. Мисархошна а куралла ма елаш, шу церан лаьтта тӀехь тӀедаьхкина Ӏийна дела.</verse>
				<verse number="8">Дуьнен чу девр долчу церан кхоалгӀачу тӀаьхьенан берийн йиш ю Везачу Элан гуламе даха».</verse>
				<verse number="9">«Шайн мостагӀашна тӀе тӀамца шаьш дахча, Далла хьалха цӀена мел доцучух ларлолаш.</verse>
				<verse number="10">Нагахь санна, буьйсанна хилларг бахьана долуш, шу долчохь цхьаъ цӀена вацахь, иза меттаматтана чуьра аравала а веза, меттаматтана чу юхаван а ца веза.</verse>
				<verse number="11">Суьйре тӀееача, цо шен дегӀ хица дила деза. Цул тӀаьхьа, малх дӀабуьзча, иза меттаматтана чу схьаван мегар ду.</verse>
				<verse number="12">Нишке даха меттиг меттаматтана чохь а йоцуш, арахьа хила езаш ю.</verse>
				<verse number="13">Шуьгахь герзал сов белаш хила еза, меттаматтара ара а довлий, шайна нишке даха белаца кӀаг баккха, цул тӀаьхьа шайгара даьлларг белаца къайладаккха.</verse>
				<verse number="14">ХӀунда аьлча шун Дела шун меттаматтана юккъехула лелаш ву, шу лардархьама а, шун мостагӀий шун карабалархьама а. Цундела шун меттамотт болу меттиг цӀена хила еза, Цунна ган ца дезаш долу шух даьлла сийсаздерг а гина, Иза хьох дӀа ца верзийтархьама».</verse>
				<verse number="15">«Ша ларвайтархьама, шу долчу шен олахочух ведда волу цхьа лай вагӀахь, иза олахочунна дӀа ма ло.</verse>
				<verse number="16">Шайн гӀаланашкахь цо схьахаьржинчу, цунна хазделлачу цӀа чохь шайна юкъахь вахийта иза. Цунна гӀело ма е.</verse>
				<verse number="17">Исраилхойн йоӀарех цхьа а цӀуйн дуьхьа нахаца лелаш хила ца еза. Исраилхойн кӀенташна юкъахь а хила ца веза цхьа а цӀуйн дуьхьа нахаца леларг.</verse>
				<verse number="18">Далла дина ваӀда такхархьама, цӀуйн дуьхьа нахаца лелачу зудчун я цӀуйн дуьхьа нахаца лелачу стеган алапа шун Везачу Делан цӀа чу ма далаш, хӀунда аьлча уьш ший а шун Везачу Далла дегаза хета.</verse>
				<verse number="19">Ахчанна а, я кхачанна а, я са йоккхийла долу кхин цхьана хӀуманна а тӀе ял ма яккха шайн къомах волчуьнгара.</verse>
				<verse number="20">Кхечу къоман стагера ял яккха мегар ду, амма шайн къомах волчуьнгара ял ма яккха, шайн дола даккха шу тӀедоьлхучу лаьтта тӀехь шайн куьйгашца шаьш мел деш долчунна тӀехь шайн Везачу Деле шаьш декъалдайтархьама.</verse>
				<verse number="21">Нагахь санна аша шайн Везачу Далла хьалха, чӀагӀо а еш, дош деллехь, иза сихха кхочушде, хӀунда аьлча шун Везачу Дала шуьгара жоп доьхур ду, ткъа шуна тӀехь къа дуьсур ду.</verse>
				<verse number="22">Нагахь санна аша чӀагӀо ца йинехь, шуна тӀехь къа хир дац.</verse>
				<verse number="23">Шайн баганца шаьш шайн лаамца чӀагӀо йинехь, иза леррина кхочушде, шайн Везачу Далла шаьш чӀагӀо йина дела.</verse>
				<verse number="24">Шайн уллорачун кемсийн беша шу девлча, шайн даго ма-бохху, дуззалц кемсаш яа мегар ду, амма шайн пхьегӀи чу ма яхка уьш.</verse>
				<verse number="25">Шайн уллорачун кха тӀе шаьш даьхкича, цу тӀера кӀен кенаш куьйгашца схьадаха мегар ду, амма шайн уллорачун кха тӀехь марс ма хьакха».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="24">
				<verse number="1">«Масала, цхьаъ, зуда а ялийна, цуьнан майра хилира, ткъа цул тӀаьхьа, цуьнца доьзна долу эхье хӀума а карийна, иза цунна ца езаелира. Цунах дӀасакъастарх лаьцна йозанца тоьшалла а дина, иза цуьнга дӀа а делла, цо и зуда шен цӀенна тӀера дӀайохуьйту.</verse>
				<verse number="2">И зуда, цуьнан цӀенна тӀера дӀа а яхана, кхечуьнга маре яха мегар ду.</verse>
				<verse number="3">Амма, масала, иза шолгӀачу майрачунна а еза ца еллехь, цуьнца дӀасакъастарх лаьцна йозанца тоьшалла а дина, цуьнга дӀа а делла, и зуда шен цӀа чуьра арахоьцу. Я, масала, и шолгӀа майра дӀакхалха мега.</verse>
				<verse number="4">ХӀета, цуьнан дуьххьарлера майра хиллачу стеган иза шена юхайига бакъо яц, иза бехъелла дела. Шун Везачу Далла хьалха иза дегаза хӀума ду. Шайн Везачу Дала шуна дола луш долу латта сийсаз ма даккха».</verse>
				<verse number="5">«Нагахь санна цхьаммо зуда ялийна дукха хан яцахь, иза тӀаме ваха а ца веза, цхьа а хӀума цунна тӀедилла а ца деза. Иза цхьана шарахь паргӀат шен цӀахь вита, шен зудчун самукъа а доккхуш.</verse>
				<verse number="6">Цхьаммо а кӀа ору лакхара я лахара болу хьеран тӀулг закъалтана схьаэца ца беза, хӀунда аьлча ишттадерг дечо закъалтана стеган са схьаоьцу.</verse>
				<verse number="7">Нагахь санна шен къомах волу исраилхойн стаг цхьаммо лачкъа а вина, цунах лай а вина, иза воьхкинехь, иштта волу къу вен веза. Цу тайпана дӀадаккха шайна юкъара зулам.</verse>
				<verse number="8">Варелаш, кхераме чкъуран цамгар кхеттехь, левихойх болчу динан дайша шайна мел хьехнарг леррина кхочушделаш. Ас царна тӀедиллинарг а леррина кхочушделаш.</verse>
				<verse number="9">Дагадаийталаш шайн Везачу Дала шу Мисар-махкара арадевлла догӀучу хенахь Маремана динарг.</verse>
				<verse number="10">Нагахь санна шух цхьаммо шен уллорачунна юхалург цхьа хӀума еллехь, цуьнан цӀа чу ма гӀо, цуьнгара закъалт схьаэцархьама.</verse>
				<verse number="11">Шу арахь совца, ткъа шуьгара юхалург хӀума яьхьначуьнга закъалтана шуьга луш ерг шега араяккхийта.</verse>
				<verse number="12">Нагахь санна иза къен стаг велахь, цо закъалтана елларг шен тӀехула юху бедар елахь, иза шайгахь а йолуш, дӀа ма дийшалаш.</verse>
				<verse number="13">Цо закъалтана елларг малх чубузале юхало, шайн бедарш тӀехь а йолуш дӀадийшинчохь цуьнга шаьш декъалдайтархьама. Шун Везачу Дала иза бакъахьара лелар лорур ду.</verse>
				<verse number="14">Ваца ма велаш къен а, миска а волу йолах лаьцна верг, шайн къомах волу исраилхо я шайн гӀаланех цхьанна чохь Ӏаш волу тӀевеанарг иза велахь а.</verse>
				<verse number="15">Цунна дӀабала беза мах цо болх бинчу дийнахь малх чубузале дӀало. Иза къен волу дела, и ахча цунна оьшуш ду вахархьама. Иза де, цуьнга Везачу Эле Ӏаткъам а байтина, шайх къа ца хьарчийтархьама.</verse>
				<verse number="16">Берашкара даьлларг бахьана долуш дай ма байа, бераш а ма дайа дайшкара даьлларг бахьана долуш. Ӏожаллин таӀзар догӀу зулам далийтина хӀорра а, ша далийтина и зулам бахьана долуш бен, вен ца веза.</verse>
				<verse number="17">ТӀевеанчунна а, бона а нийса кхелъяр ма талхаделаш, ткъа йисинчу зудчун тӀехулара бедар закъалтана схьа а ма эцалаш.</verse>
				<verse number="18">Дагахь латтаде Мисар-махкахь шаьш леш хилла лелар, ткъа шун Везачу Дала шу цигара паргӀатдаьхна хилар. Цундела тӀедуьллу ас хӀара кхочушдар.</verse>
				<verse number="19">Шун кха тӀехь ялта чудерзош шуна цхьа цӀов бицлахь, иза схьаэца юха ма дерзалаш. Иза тӀевеанчунна а, бона а, йисинчу зудчунна а бита, аша мел деш долчу гӀуллакхаш тӀехь шайн Везачу Деле шаьш декъалдайтархьама.</verse>
				<verse number="20">Шайн зайт-дитташ тӀера стоьмаш охьаэгийча, юха ма дерза, кхин а цкъа гаьннашна гӀаж еттархьама. Дисинарг дита уьш тӀевеанчунна а, бона а, йисинчу зудчунна а.</verse>
				<verse number="21">Шайн кемсийн бешара стоьмаш схьадохуш, йисина кемсаш схьа ма яха. ТӀевеанчунна а, бона а, йисинчу зудчунна а йита уьш.</verse>
				<verse number="22">Дагахь латтаде Мисар-махкахь шаьш леш хилла лелар. Аса цундела тӀедуьллу шуна хӀара дар».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="25">
				<verse number="1">«Нагахь санна адамашна юкъахь къовсаме даьлла хӀума делахь, уьш кхеле озо беза. Цигахь бехке воцург бакъван веза, бехке волчунна кхел ян еза.</verse>
				<verse number="2">Нагахь санна бехкеволчунна серий детта хьакъ делахь, кхелахочо цунна шена хьалха серий деттийта омра дан деза, цо динчу зуламе хьаьжжина, дагар а деш, деттийта деза.</verse>
				<verse number="3">Шовзткъазза тохийта мегар ду, амма кхин сов тохийта мегар дац, дуккха а деттийтина, шун бӀаьргашна а гуш, шайн къомах верг юьхьӀаьржачу ца хӀоттийтархьама.</verse>
				<verse number="4">Оручу стеран бат дӀа ма къовла».</verse>
				<verse number="5">«Нагахь санна цхьаьна Ӏаш болчу вежарех кӀант воцу цхьа ваша дӀакхалхахь, веллачун зуда гергара воцучу кхечуьнга маре яха ца еза. Цуьнан марвашас иза шена яло а еза, цуьнца ваха а веза, марвешин декхар кхочушдархьама.</verse>
				<verse number="6">Цо вен волу дуьххьарлера доьзалхо цуьнан веллачу вешин санна лорур ву, Исраилан халкъана юкъахь цуьнан тӀаьхье йиц ца ялийтархьама.</verse>
				<verse number="7">Нагахь санна и нус шена ерзо цунна ца лаахь, иза гӀалин кевне яха еза къаношна тӀе, иштта а олуш: „Сан марваша реза вац Исраилан халкъана юкъахь шен вешин тӀаьхье дӀаяхьа. Шен марвешин декхар кхочушдан ца лаьа цунна“.</verse>
				<verse number="8">ТӀаккха гӀалин къаноша, и стаг тӀе а кхайкхина, цуьнца къамел дан деза. Нагахь санна цо, дуьхьал а ваьлла: „Суна ца лаьа иза йига“, — алахь,</verse>
				<verse number="9">цуьнан несо, цунна тӀе а яхана, къаношна а гуш, цуьнан когара цуьнан мача схьа а яьккхина, цуьнан юьхь тӀе туйнаш а тоьхна, иштта ала деза: „Иштта дерг Исраилан къомана юкъахь шен вешин цӀа меттахӀотто лууш воцчунна до“.</verse>
				<verse number="10">ТӀаккха цуьнан цӀенна исраилхошна юкъахь цӀе туьллур ю „Мача дӀаяьккхинчун цӀа“, — аьлла».</verse>
				<verse number="11">«Нагахь санна божарий вовшахлетачу хенахь, оцу леташ болчеран цхьаннан зудчо, етташ волчун карара шен майра схьаваккха дагахь, царна тӀе а еана, шен куьг дӀа а кховдийна, оцу стеган бехке меттиг схьалацахь,</verse>
				<verse number="12">цуьнан куьг дӀахададе. Цунах къа ма хеталаш.</verse>
				<verse number="13">Шун тӀоьрмаг чохь шина тайпана герканаш хила ца еза: дукха еза а, дукха яйн а.</verse>
				<verse number="14">Шун цӀа чохь шина тайпана бараман сахь а хила ца деза: дукха доккха а, дукха жима а.</verse>
				<verse number="15">Шун герканаш а, бараман саьхьаш а цӀена а, нийса а хила деза, шун Везачу Дала шуна луш долчу лаьтта тӀехь аша йоккхун йолу хан яхъялийтархьама.</verse>
				<verse number="16">ХӀунда аьлча харцдерг лелош волу милла а шун Везачу Далла дегаза хета».</verse>
				<verse number="17">«Дагахь латтаде Мисар-махкара шу схьадогӀуш Ӏамалекхахоша шайна динарг:</verse>
				<verse number="18">новкъахь уьш шуна тӀелетира. Новкъахь шу кӀадделла а, хӀиттина а долчу хенахь, шуна тӀехьа богӀучу гӀелбеллачарна тӀелетира уьш. Ткъа уьш Деле ларамах буьзна бацара.</verse>
				<verse number="19">Иштта шун Везачу Дала массо а агӀор шун мостагӀех шаьш паргӀатдаьхча, шун долахь хилийтархьама шуна луш долчу лаьтта тӀехь Ӏамалекхахойн къам дагадаийтар стигал кӀелара дӀадаккхалаш, иза диц ма делаш».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="26">
				<verse number="1">«Шун Везачу Дала шуна кхочуьйтур долчу лаьтта тӀе а даьхкина, и латта шайн дола а даьккхина, шу цигахь даха охьахевшича,</verse>
				<verse number="2">шун Везачу Дала шуна луш болчу мехкан лаьтто кхиийна мел долчунна тӀера дуьххьарлерчух цхьадерг, схьа а эцна, тускар чу дилла. Цаьрца шун Везачу Дала Ша Ӏайтархьама къастор йолчу метте дӀагӀо.</verse>
				<verse number="3">Оцу деношкахь гӀуллакх деш хин волчу динан дена тӀе а гӀой, аш иштта дӀаала: „Ас тахана шун Везачу Далла хьалха дӀахьедо, Везачу Эло тхан дайшна, ваӀда а дина, лур ду аьллачу лаьтта тӀе со схьавеана хилар“, — алий.</verse>
				<verse number="4">Динан дас и тускар, шун карара схьа а эцна, шун Везачу Делан сагӀа доккхучу кхерчана хьалха дӀахӀоттор ду.</verse>
				<verse number="5">Ткъа аша, дӀахьедар а деш, шайн Везачу Далла хьалха иштта дӀаала: „Сан ворхӀе а да ваьлла лелаш волу арамхо вара. Иза, Мисар-махка а вахана, кӀеззиг долчу адамашца ваха хиира. Цигахь цунах сийлахь а, нуьцкъала а, алсам долу а халкъ схьаделира.</verse>
				<verse number="6">Амма мисархой тхоьца къиза бара, цара тхуна гӀело а йора, тхоьга хала белхаш а бойтура.</verse>
				<verse number="7">Оха тхайн дайн Дела волчу Везачу Эле маьхьарца дийхира. Тхан мохь Везачу Элана дӀахезира. Цунна гира оха бала хьегар а, тхан хала белхаш а, тхуна еш йолу гӀело а.</verse>
				<verse number="8">ТӀаккха Везачу Эло тхо Мисар-махкара арадехира Шен нуьцкъалчу куьйгаца, тӀекховдийначу пхьаьрсаца, доккхачу къематца, инзаречу гӀуллакхашца, тамашийначу билгалонашца.</verse>
				<verse number="9">ХӀокху метте схьа а далийна, хӀара шуьрех а, мазах а дуьзна токхе латта тхуна схьаделира Цо.</verse>
				<verse number="10">Ткъа хӀинца, Веза Эла, Ахь суна схьаделлачу лаьтто кхиийначу дуьххьарлерниг Хьуна деана ас“. Иштта а алий, и тускар охьа а диллий, шайн Везачу Далла суждане гӀо.</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха шун Везачу Дала шуна а, шун цӀенна а деллачу рицкъах даккхийде — шу а, левихой а, шуна юкъахь Ӏаш болу тӀебаьхкина нах а.</verse>
				<verse number="12">Шун лаьтто схьаделлачух массо а хӀуманах уьтталгӀа дакъа дӀакъастийча, кхозлагӀчу шарахь, уьтталгӀа дакъа дӀадаларна леринчу шарахь, иза левихочунна а, тӀевеанчунна а, бона а, йисинчу зудчунна а дӀало, цаьрга шайн гӀаланашкахь юург яийтархьама а, уьш бузийтархьама а.</verse>
				<verse number="13">Цул тӀаьхьа шун Везачу Далла хьалха иштта ала: „Хьуна дӀакъастийна мел долу хӀума сайн цӀенна тӀера схьа а эцна, иза левихочунна а, тӀевеанчунна а, бона а, йисинчу зудчунна а дӀаделла ас, Ахь суна тӀедехкинчу Хьан дерриге а весеташа ма-бохху. Ас Хьан весеташ талха а ца дина, ас уьш диц а ца дина.</verse>
				<verse number="14">Со веллачунна тийжачу хенахь Хьуна дӀакъастийначух хӀумма а ца диира ас, со Хьуна хьалха цӀена воцучу хенахь царах хӀумма а схьа ца эцна ас, иштта царах хӀумма а веллачунна сагӀина дӀа ца деллера ас. Сан Везачу Дала бохучунна муьтӀахь хилира со. Ахь суна тӀе мел диллинарг кхочушдира ас.</verse>
				<verse number="15">Хьо Ӏаш волчу езачу меттера схьа а хьажий, декъалбехьа Хьайн халкъ долу исраилхой, декъалдехьа Айхьа, тхан дайшна чӀагӀо ма-ярра, тхуна схьаделла долу, шуьрех а, мазах а дуьзна токхе латта“».</verse>
				<verse number="16">«ХӀокху дийнахь шун Везачу Дала весет до шуьга, хӀара парзаш а, тӀедехкинарш а кхочушде аьлла. Мел долчу даггара а, шайн мел долчу синца а кхочушделаш уьш.</verse>
				<verse number="17">Аша тахана шайн Везачу Эле дӀахаийтина, Иза шун Дела вуйла а, Цуьнан некъашца шу лелар дуйла а, Цуьнан парзаш а, весеташ а, тӀедехкинарш а аша лардийр дуйла а, Цуьнан озе шаьш ладугӀур дуйла а.</verse>
				<verse number="18">Везачу Эло тахана чӀагӀо йина, шу Цуьнан долахь долу жовхӀар ду аьлла, Цо ма-аллара, Цуьнан дерриш весеташ аша лардан деза.</verse>
				<verse number="19">Цо чӀагӀо йина, Ша мел кхоьллинчу халкъел шу лакхара а дина, сий а, сийлалла а, исбаьхьалла а долуш дӀахӀиттор ду аьлла. Хьан Везачу Далла хьалха, Цо ма-аллара, деза халкъ хир ду хьо».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="27">
				<verse number="1">Мусас а, исраилхойн динан дайша а халкъана весет дира, иштта а олуш: «Ас тахана шайна тӀе мел дуьллуш долу весеташ кхочушделаш.</verse>
				<verse number="2">Шун Везачу Дала шайна луш долчу лаьтта тӀе доьлхуш шаьш Йордан-хих дехьадевлча, цигахь шайна даккхий тӀулгаш дӀа а хӀиттадай, царна кир тоха.</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха шун дайн Везачу Дала, шун дайшка шуна лур ду аьлла ма-хиллара, шун дола луш долчу, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тӀе довлархьама, шаьш Йордан-хих дехьадевлча, хӀокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш оцу тӀулгаш тӀе дӀаязде.</verse>
				<verse number="4">И тӀулгаш, ас тахана шайна тӀе-ма-диллара, шаьш Йордан-хих дехьадевлча, Ӏейбал-лам тӀе дӀа а хӀиттаде, царна тӀе кир а тоха.</verse>
				<verse number="5">Цигахь шайн Везачу Далла лерина аьчка гӀирсаца ца хьаькхначу тӀулгех сагӀа доккху меттиг кечъе.</verse>
				<verse number="6">И меттиг, дийнначу тӀулгех а кечъяй, дӀахӀоттае, оцу тӀехь шайн Везачу Далла лерина сагӀанаш даха.</verse>
				<verse number="7">Цигахь шайн Везачу Далла хьалха бертан сагӀанаш а дахий, уьш дууш, даккхийдеш лела.</verse>
				<verse number="8">ХӀокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш оцу тӀулгаш тӀехь дӀаязде. Ткъа яздинарг дика дешалуш хилийта хьажа».</verse>
				<verse number="9">Мусас а, левихой болчу динан дайша а Исраилан дерриге а халкъе иштта элира: «Исраилан халкъ, дист а ца хуьлуш, ладогӀа соьга! ХӀокху дийнахь хьох хьан Везачу Делан халкъ хилла.</verse>
				<verse number="10">ХӀинца шайн Везачу Делан озе ладогӀа, тахана ас шайга дӀахьедеш долу Цуьнан весеташ а, парзаш а кхочушде».</verse>
				<verse number="11">Оцу дийнахь Мусас, иштта а олуш, халкъана тӀедиллира:</verse>
				<verse number="12">«Йордан-хих дехьадевлча, Герзим-лам тӀехь хӀара тайпанаш дӀахӀитто деза халкъ декъалдайтархьама: ШимӀин, Левин, ЯхӀудан, Иссарханан, Юсупан, Бен-Яманан тайпанаш.</verse>
				<verse number="13">Ткъа неӀалташ дӀакхайкхадайтархьама Ӏейбал-лам тӀехь дӀахӀитто деза: Раабанан, Гадин, Ашаран, Забулан, Данан, Напталан тайпанаш.</verse>
				<verse number="14">Айдинчу озаца дӀакхайкхош левихоша массо а исраилхошка иштта эр ду:</verse>
				<verse number="15">„НеӀалт хуьлда къайлахчу метте дӀахӀоттийначу тӀулгах я дечигах я лалийна цӀу винчунна! Пхьеран куьйгашца дина хӀума бен дац иза, Везачу Элана иза дегаза хета“. Дерриге а халкъо мохь тоьххна эр ду: „Амин!“</verse>
				<verse number="16">„НеӀалт хуьлда шен да я нана сийсаздаьккхинчунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“</verse>
				<verse number="17">„НеӀалт хуьлда шен уллорачун дозанаш талхош волчунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“</verse>
				<verse number="18">„НеӀалт хуьлда бӀаьрзениг некъа тӀера галвоккхучунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“</verse>
				<verse number="19">„НеӀалт хуьлда тӀевеанчунна а, я бона а, я йисинчу зудчунна а нийса кхелъяр талхош волчунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“</verse>
				<verse number="20">„НеӀалт хуьлда шен ден зудчуьнца вижинчунна, шен ден дӀавуьжу мотт цо сийсазбаьккхина дела!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“</verse>
				<verse number="21">„НеӀалт хуьлда хьайбанца дӀавижинчунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“</verse>
				<verse number="22">„НеӀалт хуьлда шен йишех, шен дена йинчу я шен нанас йинчу йоӀах куьг тоьхначунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“</verse>
				<verse number="23">„НеӀалт хуьлда шен стунненаца вижинчунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“</verse>
				<verse number="24">„НеӀалт хуьлда къайлаха шен уллораниг вуьйш волчунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“</verse>
				<verse number="25">„НеӀалт хуьлда, бехк боцучу стеган цӀий Ӏанорхьама, кхаьънаш дохучунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“</verse>
				<verse number="26">„НеӀалт хуьлда хӀоранна а, хӀокху товрат-хьехамийн дешнаш кхочуш а ца деш, уьш чӀагӀ ца дечунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="28">
				<verse number="1">«Шу шайн Везачу Деле ладугӀуш а хилахь, ас шуна тахана дуьйцуш долу, Цо тӀедиллинарг дерриг а кхочушдеш а хилахь, шун Везачу Дала дуьнен чуьра массо а халкъал лакха ойур ду шун халкъ.</verse>
				<verse number="2">Нагахь аша шайн Везачу Дала аьлларг дахь, иштта декъалдар хир ду шуна:</verse>
				<verse number="3">ГӀалахь а, арахь а декъала хир ду шу.</verse>
				<verse number="4">Декъала хир ду шух схьадаьлла чкъор, шун лаьттах схьабаьлла стом, шун даьхнех — стерчех а, койх а схьадаьлла дохкана.</verse>
				<verse number="5">Декъала хир ду шун ялтин тускарш а, декъала хир ду текхаш а.</verse>
				<verse number="6">Декъала хир ду шу чудовлуш а, арадовлуш а.</verse>
				<verse number="7">Шуна дуьхьалгӀевттина мостагӀий эшор бу Везачу Эло: цхьана новкъахула шуна дуьхьалбевр бу уьш, ткъа ворхӀ новкъахула шух бовдур бу уьш.</verse>
				<verse number="8">Шун чӀоьнашкахь а, шун куьйгаш дӀакхеттачу массо а хӀуманна тӀехь а декъалдар хуьлуьйтур ду Везачу Эло. Ша лур ду аьллачу лаьтта тӀехь шу декъалдийр ду шун Везачу Дала.</verse>
				<verse number="9">Шун Везачу Дала тӀедиллинарг кхочуш а деш, Цуьнан некъашкахула шу лелахь, Цо шуна чӀагӀо ма-ярра, шух Шен къастийна халкъ дийр ду.</verse>
				<verse number="10">ТӀаккха дуьнен чуьра дерриг а халкъаш шух кхоьрур ду, Везачу Элан цӀе шуна тӀехь хилар а гина.</verse>
				<verse number="11">Везачу Эло шуна массо а дикачу хӀуманна тӀехь беркат хуьлуьйтур ду. Дуккха а бераш а хуьлуьйтур ду шун, шортта дохкана а хуьлуьйтур ду. Шуна лур ду аьллачу, шун дайшна Ша чӀагӀо йинчу лаьтта тӀехь шортта ялта а хуьлуьйтур ду.</verse>
				<verse number="12">Везачу Эло Шен беркате хазна — стигал схьайоьллур ю шуна, оьшшучу хенахь шун лаьтта тӀе догӀа даийта, шун куьйгаша динчу гӀуллакхех беркат хилийта. Дуккха а халкъашна духалург дала хӀума хир ду шун, ткъа шайн духалург эца дезар дац шун.</verse>
				<verse number="13">Нагахь шун Везачу Дала тӀедиллинарг, тахана ас шуьга Ӏалашде а, кхочушде а бохург, аш кхочушдахь, Везачу Эло шу коьртехь хуьлуьйтур ду, цӀоганехь ца хуьлуьйтуш, шу лакхахь хир ду, лахахь доцуш.</verse>
				<verse number="14">Ас тахана бечу хьехамна тӀера ма довлалаш, аьтту я аьрру агӀор а хьаьвзина, кхечу деланашна тӀаьхьа а хӀиттина, царна Ӏамал ярхьама».</verse>
				<verse number="15">«Нагахь шайн Везачу Деле аш ла а ца догӀахь, ас тахана шайна хьоьхуш долу Цо тӀедиллинарг кхочуш а ца дахь, хӀокху неӀалтех хьалхадевр дац шу:</verse>
				<verse number="16">НеӀалт хир ду шуна гӀалахь а, арахь а.</verse>
				<verse number="17">НеӀалт хир ду шун ялтин тускаршна а, текхашна а.</verse>
				<verse number="18">НеӀалт хир ду шух схьадаьллачу чкъурана а, шун лаьттах схьабаьллачу стоьмана а, шун стерчех а, уьстагӀех а схьадаьллачу дохканна а.</verse>
				<verse number="19">НеӀалт хир ду шуна чудовлуш а, арадовлуш а.</verse>
				<verse number="20">Шена тӀера шу дӀадерзарна, аш дечу муьлххачу гӀуллакха тӀехь Везачу Эло неӀалт а, дохар а, вон болх а хуьлуьйтур бу шуна, шу хӀаллакьхилла дӀадовллалц.</verse>
				<verse number="21">Шун доладан тӀедоьлхуш долчу лаьтта тӀера Ша хӀаллакдина дӀадаххалц, Везачу Эло лен цамгар кхоьтуьйтур ю шуна.</verse>
				<verse number="22">Везачу Эло хӀоралла а, хорша а, хьу кхетар а, йокъа а, бовха мох а, мекха а хоьцур ю шуна тӀе. Цара хьийзор ду шу хӀаллакьхиллалц.</verse>
				<verse number="23">Шуна тӀехуларчу стигалех цӀаста хир ду, бухаларчу лаьттах эчиг хир ду.</verse>
				<verse number="24">ДогӀанан метта, Везачу Эло чан лур ю шуна, стигалара шуна тӀеоьгур ю иза, шу хӀаллакьхилла дӀадовллалц.</verse>
				<verse number="25">Везачу Эло шайн мостагӀашка эшадойтур ду шу. Цхьана новкъахула царна дуьхьалдевр ду шу, ткъа ворхӀ новкъахула царах довдур ду шу. Шуна хилларг а гина, дуьнен чуьра массо а халкъаш кхоьруш хир ду.</verse>
				<verse number="26">Шун декъий стигаларчу олхазарша, лаьттарчу акхароша а дуур ду, уьш дӀакъахкош стаг а воцуш.</verse>
				<verse number="27">Мисархошна хилла йолу даьӀнаш долу цамгар а, дестар а, соьла оьху даьӀнаш а, кӀамдар а кхоьтуьйтур ду шуна Везачу Эло. Дарба ца далуш хир ю и цамгарш.</verse>
				<verse number="28">Везачу Эло хьерадовлар а, бӀарздалар а, Ӏадор а хуьлуьйтур ду шуна.</verse>
				<verse number="29">Дийнан делккъехь са а ца гуш, бӀаьрзениг бодашкахь санна, лелар ду шу. Шаьш арабаьккхинчу новкъахь аьтто хир бац шун. Массо а хенахь ницкъ беш а, хьийзош а хир ду шу, цхьаммо а гӀо а доккхур дац шуьгахьа.</verse>
				<verse number="30">Зуда ялор ю шух цхьаммо, амма кхин стаг вуьжур ву цуьнца дӀа. ЦӀенош дийр ду аша, амма царна чохь Ӏийр дац шу. Кемсаш югӀур ю аша, амма пайда оьцур бац царах.</verse>
				<verse number="31">Шун старана шун бӀаьргашна хьалхха урс хьокхур ду, амма аша цуьнан жижиг дуур дац. Шун вир, дӀа а йигина, юхаялор яц шуна. Шун уьстагӀий мостагӀашна дӀалур ду, цхьаммо а гӀо доккхур дац шуьгахьа.</verse>
				<verse number="32">Шун кӀентий а, йоӀарий а кхечу халкъана дӀалур бу. Царна сагатдеш, де дийне мел дели, бӀаьрса худалур ду шун, дуьхьало ян а ницкъ хир бац шун.</verse>
				<verse number="33">Шун лаьттах схьадаьлларг а, аш къахьегнарг а шуна девзаш доцучу халкъо дуур ду. Массо а хенахь ницкъ беш а, охьатаӀийна а хир ду шу.</verse>
				<verse number="34">Шайн бӀаьргашна гучух хьерадевр ду шу.</verse>
				<verse number="35">Голаш тӀехь а, настарш тӀехь а, когийн айраш тӀера хьеюккъе кхаччалц дерза ца доьрзу даьӀнаш хуьлуьйтур ду шуна Везачу Эло.</verse>
				<verse number="36">Шуна а, шун дайшна а ца девзачу халкъана тӀе дуьгур ду Везачу Эло шу а, аш шайна хаьржина паччахь а. Цигахь дечиган а, тӀулгийн а цӀушна Ӏамал йийр ю аша.</verse>
				<verse number="37">Везачу Эло шу дахийтинчу мехкашкахь долу халкъаш шух инзардевлла хир ду, шух доьлуш а, шуна вон луьйш а хир ду уьш.</verse>
				<verse number="38">Дуккха а ялта дӀадуьйр ду аша, амма кӀезиг гулдийр ду, хӀунда аьлча цӀазо дуур ду иза.</verse>
				<verse number="39">Кемсаш, дӀа а йийна, лелор ю аша, амма царах даьлла долу чагӀар а мер дац, кенаш а гулдийр дац, хӀунда аьлча нӀаьно дӀадуур ду уьш.</verse>
				<verse number="40">Зайт-диттан стоьмаш хир бу шун лаьтта тӀехь, амма даьтта хир дац шун, хӀунда аьлча хенал хьалха охьаоьгур бу и стоьмаш.</verse>
				<verse number="41">КӀентий а, йоӀарий а хир бу шун, амма уьш шуна буьсур бац, хӀунда аьлча йийсаре буьгур бу уьш.</verse>
				<verse number="42">Шун дитташ а, аренашкара ялташ а цӀазо хӀаллакдийр ду.</verse>
				<verse number="43">Шуна юкъахь Ӏаш волу тӀевеана стаг вол-волуш шул лакха хьалавер ву, ткъа шу охьадевр ду.</verse>
				<verse number="44">Цо шуьга духалург лур ду, ткъа шун цуьнга дала хир дац. Иза коьртехь хир ву, ткъа шу цӀоганехь.</verse>
				<verse number="45">И дерриг а неӀалташ шуна тӀехь хир ду, шуна тӀера девр а дац уьш, шу хӀаллакьхилла дӀадовллалц, хӀунда аьлча аш шайн Везачу Деле ла а ца дуьйгӀира, Цо тӀедиллинарг а, Цуьнан парзаш а кхочуш а ца дира.</verse>
				<verse number="46">Шуна а, шун тӀаьхьенна а тӀехь гуттар а йолчу ханна Дала шуна таӀзар даран билгало хилла лаьттар ду и неӀалташ.</verse>
				<verse number="47">Дерриг а шайн доллушехь, шайн Везачу Далла аш самукъадаларца а, дага чохь даккхийдерца а Ӏамал ца ярна хир ду иза шуна.</verse>
				<verse number="48">Везачу Эло шайна тӀеваийтинчу мостагӀчунна децар ду шу, меца а, хьогах а, дерзина а, къен а долуш. Дала шун вортанна тӀебиллинчу безачу мохьо Ӏазапехь латтор ду шу.</verse>
				<verse number="49">Геннара, дуьненан йистера, халкъ тӀехоьцур ду шуна Везачу Эло. Аьрзу санна, тӀелеттачу цу халкъан мотт хуур бац шуна.</verse>
				<verse number="50">И нах къиза хир бу, воккханиг а ца лоруш, жиманиг а ца кхоош.</verse>
				<verse number="51">Цара шун даьхни а, шун лаьттах схьадаьлла ялта а дуур ду, шу дакъазадаххалц. Шуна бепиг а, чагӀар а, даьтта а, стерчий а, уьстагӀий а дуьтур дац цара, шу хӀаллакдаллалц.</verse>
				<verse number="52">Шун массо а гӀалина тӀе а летта, дерриг а шун лаьтта тӀера шун бӀобулуш хилла лекха а, онда а пенаш дохор ду цу халкъо. Шун Везачу Дала шуна лучу лаьтта тӀехь ерриг а шун гӀаланашна тӀелетар бу уьш.</verse>
				<verse number="53">Шайн Везачу Дала белла болу, шайх схьабевлла кӀентий а, йоӀарий а буур бу аша, мостагӀаша го а лаьцна, шаьш холчохь дисича.</verse>
				<verse number="54">Шуна юкъахь хьолехь Ӏийна волу экам стаг а къинхетам боцуш хьоьжур ву шен веше а, шена хьоме хетачу зудчуьнга а, шеца дисинчу шен берашка а.</verse>
				<verse number="55">Ша дууш долчу шен берийн дилха цхьанна а лур дац цо, хӀунда аьлча цуьнан хӀумма а дуьсур дац, го а лаьцна, мостагӀаша массо а гӀаланашкахь шу балане лаьцча.</verse>
				<verse number="56">Шуна юкъахь томехь а, хьолехь а Ӏийна зуда, экам хиларна а, хьолехь Ӏарна а лаьтта ког а баккхаза йолу, къинхетам боцуш хьоьжур ю шена хьоме хеттачу майрачуьнга а, шен кӀанте а, йоӀе а.</verse>
				<verse number="57">Ша дина бераш а, уьш хуьлуш шен дегӀах схьакъаьстина беран цӀа а лур дац цо нахана, хӀунда аьлча дан амал ца хиларна къайлаха дуур ду цо уьш, го а лаьцна, мостагӀаша шайн гӀаланашкахь шу балане лаьцча.</verse>
				<verse number="58">Кху тептар тӀехь яздина тӀедиллинарг а, хьехамаш а аша кхочуш ца бахь, шайн Везачу Делан сийлахьчу а, буьрсачу а цӀарах шу ца кхерахь,</verse>
				<verse number="59">Везачу Эло шуна а, шун тӀаьхьенна а хала а, инзаре а, дӀа ца доьрзу а ун а, луьра а, дӀа ца йовлу а цамгарш а кхоьтуьйтур ю.</verse>
				<verse number="60">Мисархошна кхетта долу, шу кхийрина долу ун хуьлуьйтур ду шуна. Иза летар ду шух.</verse>
				<verse number="61">Кху тептар тӀехь язйина йоцу муьлхха а цамгар а, ун а хуьлуьйтур ду шуна Везачу Эло, шу хӀаллакдина дӀадовллалц.</verse>
				<verse number="62">Стигалара седарчий санна, шу дукха хиллехь а, кӀеззиг бен дуьсур дац шу, хӀунда аьлча шайн Везачу Деле ла ца дуьйгӀи аш.</verse>
				<verse number="63">Шу алсам а дохуш, шуна диканиг деш самукъа-ма-даллара, шу хӀаллакдеш а самукъадаьлла хир ву Веза Эла. Шайн дола баккха тӀедоьлхуш болчу махкара а лохкур ду шу.</verse>
				<verse number="64">Лаьттан цхьана маьӀӀера вукху маьӀӀе кхаччалц, массо а халкъашна юкъахь дӀасадоькъур ду шу Везачу Эло. Шайна а, шайн дайшна а ца бевзачу дечиган а, тӀулган а цӀушна Ӏамал йийр ю аша.</verse>
				<verse number="65">Цу халкъашна юкъахь синтем хир бац шуна, садаӀа меттиг хир яц шуна, Везачу Эло дагахь кхерам а, сингаттам а, бӀаьргашкахь кӀаддалар а латтор ду шуна.</verse>
				<verse number="66">Шун дахар гуттар а кхерамехь хир ду, дийнахь а, буса а синтем боцуш, хиндолчух бӀобулуш хир дац шу.</verse>
				<verse number="67">Дагахь лаьтташ кхерам хиларна а, шайн бӀаьргашна гуш долчунна а Ӏуьйранна аш эр ду: „Суьйре тӀекхачахьара-кх!“ — аьлла, ткъа сарахь эр ду: „Ӏуьйре тӀекхачахьара-кх!“ — аьлла.</verse>
				<verse number="68">Ас кхин цкъа а шуна иза гур бац аьллехь а, Мисар-махка юхадуьгур ду шу Везачу Эло хӀордкеманаш тӀехь. Цигахь шайн мостагӀашна дохкалур ду шу, леш а, гӀарбашаш а хилла, амма шу оьцуш цхьа а хир вац».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="29">
				<verse number="1">Муаби-махкахь Везачу Эло Мусага исраилхошца байта аьлла, тӀебиллина болчу бертан тӀедожораш ду хӀорш. Хьариб-ломана уллохь Везачу Эло халкъаца бинчу бертал сов ду уьш.</verse>
				<verse number="2">Берриг а исраилхой схьа а гулбина, Мусас цаьрга иштта элира: «Шуна гина Везачу Эло шуна хьалха Мисар-махкахь пирӀунца а, цуьнан ялхошца а, цуьнан дерриге а лаьттана а мел динарг.</verse>
				<verse number="3">Шайн бӀаьргашца шуна гина Цо мел хьегийтина баланаш, Цо мел гайтина билгалонаш а, тамашийна гӀуллакхаш а.</verse>
				<verse number="4">Амма Везачу Эло таханлера де тӀекхаччалц ца деллера шуна дог, шун кхетам хилийтархьама, бӀаьргаш, шуна гайтархьама, лергаш, шуна хазийтархьама.</verse>
				<verse number="5">Везачу Эло шуьга элира: „Шовзткъа шарахь яьссачу аренгахула лелийра Ас шу. Шуна тӀера бедарш тиш ца елира, шун когара мачаш а тиш ца елира.</verse>
				<verse number="6">Аша бепиг а ца доура, аша чагӀар а, ниха а ца муьйлура, амма Ас шуна кхача лора, шуна хаийтархьама, Со шун Веза Дела вуйла“.</verse>
				<verse number="7">ХӀокху метте схьадаьхкича, вайна дуьхьалбевлира Хьешбон-гӀалин паччахь волу Сихьон а, Башан-мехкан паччахь волу ӀовгӀа а, вайх тасабалархьама. Амма вай уьш эшийра.</verse>
				<verse number="8">Церан латта, схьа а даьккхина, Раабанан а, Гадан а тайпанашна а, Маннашан ахтайпанна а кхачийтира вай.</verse>
				<verse number="9">ХӀокху бертан тӀедожорашка, уьш кхочуш а деш, ладугӀуш хилалаш, аша мел ден долчунна тӀехь шайн кхиамаш хилийтархьама.</verse>
				<verse number="10">Шу массо а тахана шайн Везачу Далла хьалха лаьтташ ду, — шун тайпанийн хьаькамаш, шун къаной, шун тӀехьовсуш берш, берриге а исраилхойн божарий,</verse>
				<verse number="11">шун бераш, шун зударий, иштта шун дечиг доккхуш волчунна тӀера шун хи кхоьхьуш волчунна тӀекхаччалц болу шун меттаматтахь Ӏаш болу тӀебаьхкина нах.</verse>
				<verse number="12">Тахана шу кхузахь лаьтташ ду шайн Везачу Дала шуьца беш болчу барте дахкархьама а, оцу бертан тӀедожораш дӀаэцархьама а,</verse>
				<verse number="13">тахана шух Цуьнан халкъ хилийтархьама а, Цо шуьга ма-аллара а, шун дай болчу ИбрахӀиме а, Исхьакхе а, Якъубе а чӀагӀо ма-ярра а.</verse>
				<verse number="14">Цо хӀара барт бар а, цуьнан тӀедожораш дӀаэцар а деккъа шуьца дина ца Ӏа.</verse>
				<verse number="15">Амма и барт тахана кхузахь вайца цхьаьна вайн Везачу Далла хьалха лаьттачаьрца бина ца Ӏаш, тахана кхузахь боцучаьрца а беш бу.</verse>
				<verse number="16">Шуна хууш ма ду, Мисар-махкахь вай муха даьхна а, шу чекхдевллачу халкъийн мехкашна юккъехула вай муха чекхдевлла а.</verse>
				<verse number="17">Шуна гира дечигах а, тӀулгах а, детих а, деших а бина а болу церан дегаза цӀуш.</verse>
				<verse number="18">Ма хуьлийла-кх шуна юкъахь стаг я зуда, доьзал я тайпа хӀинца чул тӀаьхьа шайн Везачу Делах дог дӀа а дерзийна, вукху халкъийн деланашна гӀуллакх дан оьхурш. Ма хуьлийла-кх шуна юкъахь и санна долу хӀума кхуьуьйтун болу къаьхьа а, дӀаьвше а орам.</verse>
				<verse number="19">Ма хуьлийла-кх шуна юкъахь хӀокху бертан тӀедожораш а хезна, шен дагахь ша хастийна стаг: „Со синтем болуш хир ву, сайн деган лаамехь со лелашшехь“, — бохуш. Иштта хӀаллакьхир ду дерриг а халкъ.</verse>
				<verse number="20">Везачу Эло ишттачунна гечдийр дац, амма Везачу Элан оьгӀазлонан а, дераллин а цӀе ер ю ишттачу стагана. Кху тептар тӀехь яздина долу дерриге а неӀалташ цунна хир ду. Везачу Эло цуьнан цӀе а дӀайойур ю лаьтта тӀера.</verse>
				<verse number="21">Везачу Эло хӀаллакьхиларна дӀакъастор ву иза массо а Исраилан тайпанех, кху товрат-хьехаман тептар тӀерачу неӀалташа ма-бохху.</verse>
				<verse number="22">Шул тӀаьхьа тӀекхуьучу тӀаьхьенех долчу шун берашна а, генарчу махкара хийрачу нахана а хӀара мохк дакъазабаккхар а, Везачу Эло цамгаршца иза гӀелбар а гур ду.</verse>
				<verse number="23">Дерриге а латта, силам а, туьха а шена тӀехь долу, цӀе яьлла аре хилла дӀахӀуттур ду. Цунна тӀехь ялта дӀадуьйр а дац, ялта кхиор а дац. Цу тӀехь цхьа а тайпа буц а хьалаер яц. Иза хир ду Везачу Эло Шен чӀогӀачу дераллица йохийна йолчу Седам а, Ӏамор а, Удам а, Цхьабайма а олу гӀаланашна хилларг санна.</verse>
				<verse number="24">Массо а халкъаша эр ду: „ХӀун бахьана ду те Везачу Эло оцу лаьттана иза дар? Цуьнан дераллах иштта чӀогӀа цӀе хӀунда яьлла?“</verse>
				<verse number="25">Цунна долу жоп иштта хир ду: „Шун дайн Везачу Дала Мисар-махкара шу арадаьхча, шайца бина барт дӀа а тесна,</verse>
				<verse number="26">бахана, кхечу деланашна гӀуллакх деш а бу, царна Ӏибадат деш а бу. Ткъа хьалха и деланаш царна цкъа а ца бевзара, Цо пурба а ца деллера оцу деланашна Ӏамал ян.</verse>
				<verse number="27">Цундела хӀокху лаьттах Везачу Элан оьгӀазлонан цӀе яьлла, Цо хӀокху тептар тӀе яздинчу бертан дерриг а неӀалташ царна тӀе хьажийна.</verse>
				<verse number="28">Уьш Везачу Эло Шен чӀогӀачу оьгӀазаллехь, дераллехь орамашца церан лаьтта тӀера дӀа а даьхна, кхечу лаьтта тӀе кхийсина, хӀинца вайна гуш ма-дарра“.</verse>
				<verse number="29">Къайлаха дерг вайн Везачу Делан ду, ткъа дӀаделладелларг — иза абаденналц вайна а, вайн берашна а ду, вайга кху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш кхочушдайта».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="30">
				<verse number="1">«Ас дӀахьедина долу хӀара дерриге а дешнаш — шу декъалдарх а, шуна неӀалт кхайкхорах а лаьцна долу — кхочушхилча, шун Везачу Дала шу дӀасадаржийначу халкъашна юкъахь аша уьш дагадаийтахь,</verse>
				<verse number="2">шу а, шун бераш а доллучу дагца, доллучу синца шайн Везачу Далла тӀе дерзахь, Цуьнан озе аша ладогӀахь, тахана ас шуна тӀе-ма-диллара,</verse>
				<verse number="3">тӀаккха шун Везачу Дала шун аьтто юхаметтахӀоттор бу, шух а къинхетам бийр бу Цо. Шун Везачу Дала, массо а халкъашна юкъа дӀасадаржийна долу шу, схьа а гулдина, цхьаьнатухур ду.</verse>
				<verse number="4">Стигала йисте кхаччалц шу дӀасадаржийна делахь а, цигара а схьагулдийр ду Цо, цигара а схьадалор ду.</verse>
				<verse number="5">Везачу Дала шун дайн долахь хиллачу лаьтта тӀе схьадалор ду шу. И латта шун дола дер ду. Цо шуна дика мел дерг а дийр ду, шун дайл а дукха шу доьбуьйтур а ду.</verse>
				<verse number="6">Шун Везачу Дала шун а, шун тӀаьхьенан а дегнаш тӀера пардонаш дӀахедор ду, шайн Веза Дела шуна доллучу дагца, доллучу синца везийтархьама а, шу дахийтархьама а.</verse>
				<verse number="7">ТӀаккха шун Везачу Дала дерриге а ас дӀахьедина долу неӀалташ шу дӀалаьхкинчу шун мостагӀашна а, шу цадезачарна а тӀедерзор ду.</verse>
				<verse number="8">Ткъа шу Везачу Элана тӀе а доьрзур ду, аша Цуьнан озе ла а дугӀур ду, ас тахана шайна тӀедуьллуш долу дерриг а Цуьнан весеташ кхочуш а дийр ду.</verse>
				<verse number="9">Шун Везачу Дала шун куьйгаша мел дечу гӀуллакхашна тӀехь а, шун кийрара а, шун хьайбанех а, шун лаьтта тӀера а схьадаьллачунна тӀехь а тӀех дукха кхиамаш хуьлуьйтур бу. ХӀунда аьлча Веза Эла, шуна дика а деш, шух юха а воккхавийр ву, шун дайх воккхавеш ма-хиллара.</verse>
				<verse number="10">Иза иштта хир ду, нагахь санна шайн Везачу Делан озе аша ладогӀахь, кху товрат-хьехаман тептар тӀехь дӀаяздина долу Цуьнан весеташ а, парзаш а лардарца, нагахь санна шайн доллучу дагца, доллучу синца шайн Везачу Далла шу тӀедерзахь».</verse>
				<verse number="11">«Ас шуна тӀедуьллуш долу хӀара весет шу кхетийла доцуш а дац, гена а дац.</verse>
				<verse number="12">Иза стигалшкахь а дац, цундела иштта ала ца деза аша: „Мила вер ву стигалшка хьала, иза, кхуза охьа а далийна, вайна схьахазийта, ткъа вай тӀаккха кхочушдийр ма дара иза?“</verse>
				<verse number="13">Иза хӀордал дехьа а дац, цундела иштта ала ца деза аша: „Мила вер ву хӀордал дехьа, иза, кхуза схьа а деана, вайна схьахазийта, ткъа вайга тӀаккха кхочушдалур ма дара иза?“</verse>
				<verse number="14">ХӀан-хӀан! И дош шуна дикка юххехь а ду, иза шун матта тӀехь а, даг чохь а ду аша кхочушдархьама».</verse>
				<verse number="15">«Иштта, тахана ас шуьга харжам бойту. Цхьана агӀор дахар а, аьтто а бу. Вукху агӀор Ӏожалла а, бохам а бу.</verse>
				<verse number="16">Нагахь санна тахана ас шайна тӀедуьллуш долчу шун Везачу Делан весеташка аша ладогӀахь, — шайн Веза Дела везар, Цуьнан некъашца лелар, Цуьнан весеташ а, Цуьнан парзаш а, Цуьнан тӀедехкинарш а лардар — шу дехар а ду, шу дебар а ду, шайн дола даккха шу тӀедоьлхучу лаьтта тӀехь шу декъал а дийр ду.</verse>
				<verse number="17">Нагахь санна, шун дог юха а даьлла, аша ла ца догӀахь, кхечу деланашна Ӏибадат дархьама а, царна гӀуллакх дархьама а шу дӀаозор ду кхечара,</verse>
				<verse number="18">ас дӀахьедо шуьга: шу хӀаллак а хир ду, Йордан-хина дехьа а девлла, шайн дола даккха, шаьш тӀедоьлхучу лаьтта тӀехь шу дукха дехар а дац.</verse>
				<verse number="19">Ас тахана тӀекхойкху стигал а, латта а, аша бен болчу харжаман тешаш хила. Ас шуьга харжийта дӀало дахар я Ӏожалла, декъала хилар я неӀалт кхайкхийна хилар. Шайна дахар харжа шу а, шун тӀаьхье а яхийтархьама а,</verse>
				<verse number="20">шайн Веза Дела везарца а, Цуьнан озе ладогӀарца а, Цунах дӀакхетарца а. Шу иштта лелахь, Везачу Дала шун дайшна, ИбрахӀимна а, Исхьакхана а, Якъубана а, лур ду аьлла чӀагӀо йинчу лаьтта тӀехь шу а, шун тӀаьхье а ехха Ӏийр ю».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="31">
				<verse number="1">Мусас берриг а исраилхошка кхидӀа а хӀара дешнаш элира:</verse>
				<verse number="2">«Сан хӀинца бӀе ткъа шо кхаьчна. Соьга хӀинца шуна тӀехь куьйгалла ца дало. Везачу Эло соьга иштта аьлла: „Хьо хӀокху Йордан-хих дехьавалалур вац“.</verse>
				<verse number="3">Шун Веза Дела шуна хьалхаваьлла Ша гӀур ву. Цо хӀара халкъаш шун юьхь-дуьхьалара хӀаллакдина дӀадохур ду, тӀаккха аша церан латтанаш шайн дола дохур ду. ЮшаӀ, Везачу Эло ма-аллара, шуна хьалхаваьлла гӀур ву.</verse>
				<verse number="4">Везачу Эло царна а, Ша хӀаллакбинчу эмархойн паччахьашна Сихьонна а, ӀовгӀина а, церан мехкашна а диннарг дийр ду.</verse>
				<verse number="5">Везачу Эло уьш шун кара дӀалур бу, ткъа аша ас шайна тӀедиллинчу дерриге а весеташа боххург дан деза цаьрца.</verse>
				<verse number="6">ЧӀагӀлолаш, доьналла долуш хилалаш, царах кхера а ма лолаш, Ӏада а ма делаш, хӀунда аьлча шун Веза Эла Ша хьалхавер ву шуна. Иза шух дӀавоьрзур а вац, Цо шу дӀатосур а дац».</verse>
				<verse number="7">ЮшаӀ берриге а исраилхошна хьалха шена тӀе а кхайкхийна, Муса цуьнга иштта вистхилира: «ЧӀагӀ а ло, доьналла долуш а хила, хӀунда аьлча оцу халкъан Везачу Эло церан дайшна лур ду аьлла чӀагӀо йинчу лаьтта тӀе хьо хьалха вер ву, ткъа ахь оцу халкъе и латта шен дола доккхуьйтур ду.</verse>
				<verse number="8">Веза Эла Ша гӀур ву хьуна хьалхаваьлла, Иза шуьца хир ву. Иза хьох дӀавоьрзур а вац, Цо хьо дӀатосур а вац. Кхера а ма ло, дог а ма доха».</verse>
				<verse number="9">ХӀара товрат-хьехам, дӀа а язбина, Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ лелочу левихойх болчу динан дайшка а, исраилхойн массо а къаношка а дӀабелира Мусас.</verse>
				<verse number="10">Весет а деш, Мусас иштта элира: «ВорхӀ шо чекх мосазза долу, декхарш гечдаран шарахь, кхалорийн дезачу деношкахь,</verse>
				<verse number="11">берриге а исраилхой шун Везачу Далла хьалха дӀахӀитта баьхкича, хӀара товрат-хьехам массо а исраилхошна дӀахозуьйтуш, Везачу Эло къастор йолчу меттехь дӀабешалаш.</verse>
				<verse number="12">Схьагулделаш халкъ: божарий, зударий, бераш, шун гӀаланашкахь хин болу шуна тӀебогӀун берш а. ЛадогӀийта цаьрга, Ӏамийта уьш шун Везачу Деле ларамах дуьзна хила а, хӀокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш леррина кхочушдайта а.</verse>
				<verse number="13">ХӀара хууш доцу церан бераш а, хӀара дӀа а хезна, шайн дола даккхархьама Йордан-хих шу дехьадовлучу хӀокху лаьтта тӀехь шу мел деха, массо а дийнахь шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила Ӏемар ду».</verse>
				<verse number="14">Везачу Эло Мусага иштта элира: «Хьо дӀакхелха денош тӀекхочуш ду. ЮшаӀ тӀе а кхайкхий, гуламан четарна чу воллучохь совца. Ас иза Исраилан халкъана тӀехь куьйгалхо санна къобалвийр ву». Муса а, ЮшаӀ а, ший а схьа а веана, гуламан четарна чу воллучохь сецира.</verse>
				<verse number="15">Веза Эла мархин бӀогӀамехь четарна улло веара. И мархин бӀогӀам гуламан четарна чу воллучу метта тӀехула дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="16">Везачу Эло Мусага элира: «Хьо хӀинца, дӀа а кхелхина, хьайн дайх дӀакхетар ву. ТӀаьхьо хӀара халкъ, Суна тешнабехк а бина, ша тӀедоьдучу оцу лаьттан нехан деланашна тӀаьхьахӀуттур ду. Цара Со дӀатосур ву, цара Ас шайца бина болу барт талхор бу.</verse>
				<verse number="17">Оцу дийнахь Ас Сайн оьгӀазалла тосур ю царна тӀе. Ас уьш буьтур бу. Ас царах Сайн юьхь дӀакъовлур ю, ткъа и халкъ хӀаллакдина хир ду, цунна тӀе дукха халонаш а, баланаш а буьссур бу. ТӀаккха оцу дийнахь халкъо эр ду: „ХӀара халонаш вайн Веза Эла вайна юкъахь воцу дела-м ца еана те вайна тӀе?“</verse>
				<verse number="18">Ас оцу дийнахь Сайн юьхь дӀакъовлур ю царах, кхечу деланашна тӀе а бирзина, цара лелийна харцонаш бахьана долуш.</verse>
				<verse number="19">Муса а, ЮшаӀ а, хӀокху назманан дешнаш шайна дӀаязделаш. Ткъа ахь, Муса, и назма исраилхошна Ӏама а яй, церан багахь хилийта цунах Ас царна дуьхьал деш долу тоьшалла хилийтархьама.</verse>
				<verse number="20">Церан дайшка Айса чӀагӀо ма-ярра, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тӀе буьгур бу Ас уьш. Юуш а, бузуш а бехар бу уьш, барста а берстина, кхечу деланашна тӀе а бирзина, царна гӀуллакх деш лелар бу уьш. Ткъа Сох дӀа а бирзина, Ас шайца бина барт бохор бу цара.</verse>
				<verse number="21">Шайна тӀе дуккха а халонаш а, баланаш а хӀиттича, хӀара назма царна дуьхьал долу тоьшалла хир ду, хӀунда аьлча иза церан а, церан тӀаьхьенан а багара схьадер дац. Суна хаьа церан хӀинца йолу ойланаш, царна лур ду аьлла Ас чӀагӀо йинчу дикачу лаьтта тӀе уьш дӀа а бигале хилла йолу».</verse>
				<verse number="22">Мусас оцу дийнахь и назма, дӀа а язйина, исраилхошна Ӏамийра.</verse>
				<verse number="23">Везачу Эло, Нунин кӀант ЮшаӀ куьйгалхо санна къобал а веш, цуьнга иштта элира: «ЧӀагӀ а ло, доьналла долуш а латта, хӀунда аьлча Ас цаьрга чӀагӀо йинчу лаьтта тӀе ахь буьгур бу уьш. Со хьоьца хир ву».</verse>
				<verse number="24">Мусас, хӀокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш чекхдовллалц тептар тӀе яздина ша ваьлча,</verse>
				<verse number="25">Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ лелош болчу левихошка иштта а олуш, омра дира:</verse>
				<verse number="26">«ХӀара товрат-хьехаман тептар, схьа а эций, шайн Везачу Делаца бинчу бертан тӀорказна улло охьадилла. Цигахь цо шуна дуьхьал тоьшалла дийр ду.</verse>
				<verse number="27">ХӀунда аьлча суна евза шун юхахьаралла а, аьрхалла а. ХӀинца а, со шайца вехаш волуш а Везачу Элана хьалха юхахьара долу шу, со дӀакхелхича, кхин а чӀогӀа иштта хир дац ткъа шу?</verse>
				<verse number="28">Шайн массо а тайпанийн къаной а, баьччанаш а суна тӀекхайкха. Ас царна дӀахозуьйтуш дӀаэр ду хӀара дешнаш, ткъа царна тӀе тоьшалла дайта ас стигал а, латта а тӀекхойкхур ду.</verse>
				<verse number="29">ХӀунда аьлча суна хаьа, со дӀакхелхича шу баккъалла а телхина хир ду, ас весет динчу некъа тӀера шу дӀадевр ду. Хан яьлча, шуна тӀе халонаш хӀуьттур ю. Иза хир ду шайн Везачу Далла хьалха аша зуламаш дийр долу дела, шайн куьйгаша дечуьнца Иза дар а волуьйтуш».</verse>
				<verse number="30">Мусас, исраилхойн массо а гуламна дӀахозуьйтуш, хӀокху назманан дерриге а дешнаш чекхдовллалц дӀаэлира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="32">
				<verse number="1">«Тергам бе, стигал, со вистхир ву. Лаьтто а ладогӀа сан багара долучу дешнашка.</verse>
				<verse number="2">Сан хьехам, догӀа санна, охьаоьхур бу, сан къамел, тхи санна, охьадогӀур ду, сеналлина тӀе догӀу дерз санна хир ду, бацана тӀе кхевсина догӀа санна хир ду.</verse>
				<verse number="3">Ас Везачу Элан цӀе хьалаойур ю. Вайн Далла дӀало сийлалла!</verse>
				<verse number="4">Иза тарх а ю, Цуьнан гӀуллакхаш кхоччуш а ду. Цуьнан дерриге а некъаш нийса ду. Иза тешаме Дела ву, Цо харцо а ца йо. Иза нийса а ву, билггал бакъ а ву.</verse>
				<verse number="5">Ткъа уьш телхина лелара Цунна хьалха, Цуьнан берашна ца догӀучу тайпана. Цундела цара къа латийна Цунна дуьхьал, иза аьрха а, телхина а гара ма ду.</verse>
				<verse number="6">ХӀай сонта, ца кхеташ долу халкъ, иза ду аша Везачу Элана дӀалуш дерг? Иза вац ткъа шун Да, шу хилийтина а, шу кхоьллина а, шу дӀатардина а волу?</verse>
				<verse number="7">Дагаяийта шира хенаш, ойла ел ширачу заманах лаьцна. Хаттал шайн дайшка, цара дуьйцур ду шуьга, шайн къаношка а хатта — цара а дуьйцур ду шуьга.</verse>
				<verse number="8">Ша къаьмнашна латтанаш а кхочуьйтуш, Веза Воккхачо адамаш доькъучу хенахь, Цо хӀора халкъана шен-шен доза дӀахӀоттийра, стигалийн гуламан терахье хьаьжжина.</verse>
				<verse number="9">ХӀунда аьлча Везачу Элан дакъа Цуьнан халкъ ду. Якъубах схьадолу къам Цуьнан долахь дерг ду.</verse>
				<verse number="10">Цунна и халкъ яьссачу аренгахь карийнера, гӀийлачу а, мох хьоькхучу а аренгахь. Цо иза лардора, хьоьжура цуьнга, Шен йоӀбӀаьрг санна, Ӏалаш а дора.</verse>
				<verse number="11">Шен бене хьоьжу аьрзу санна, кӀорнешна тӀехула хьийза аьрзу санна, Везачу Эло Шен тӀемаш дӀасадаржадо, тӀемаш тӀехь Шен халкъ лелорхьама.</verse>
				<verse number="12">Везачу Эло Ша леладора Шен къам. Цуьнца кхечу къоман дела вацара.</verse>
				<verse number="13">Цо иза лаьттан локхаллина тӀехь леладойтура. Цо иза аренаш тӀехь хьалаяьллачух дузадора, тӀулгах схьа долу моз а, чӀогӀачу тархах схьадолу зайтдаьтта а даадора цунна.</verse>
				<verse number="14">Цо бежанийн кӀалд, жийн шуьреш, дерстина Ӏахарий а, гезарий а, Башанера тоьлла долу бежанаш а, тоьлла долу кӀа а даадора оцу халкъана. Кемсех даьккхина долу чагӀар муьйлура цара.</verse>
				<verse number="15">Сан хьоме халкъ, стам а делла, аьрхаделира. Кхачанах а дуьзна, иза дерстина хилира. Шаьш кхоьллина волу Дела дӀатесира цара, шайн кӀелхьарбовларан тархах ца бешира уьш.</verse>
				<verse number="16">Кхин деланаш бахьана долуш Иза карзахваьккхира цара, шайн дегазчу цӀушца Иза оьгӀазвахийтира цара.</verse>
				<verse number="17">Деланаш боцучу жинашна сагӀанаш дохура цара, — хьалха шайна бевзаш ца хиллачу деланашна, хӀинцца гучубевллачу керлачу деланашна, церан дай ларамах буьзна ца хиллачу деланашна.</verse>
				<verse number="18">Ткъа шаьш дуьнен чу даьхна Тарх йицйира цара. Шаьш кхоьллина волу Дела дага ца вогӀура царна.</verse>
				<verse number="19">Иза ган а гина, Веза Эла царах дӀавирзира, Шен кӀенташа а, мехкарша а Иза оьгӀазвахийтина дела.</verse>
				<verse number="20">Цо элира: „Ас Сайн юьхь къайлайоккхур ю царах, царах хинйолу чаккхе гур ю Суна, хӀунда аьлча уьш телхина гара ду, уьш тешаме доцу бераш ду.</verse>
				<verse number="21">Дела воцучуьнца цара хьагӀ хилийтина Сан, баьссачу цӀушца оьгӀазло хилийтина Соьгахь. Ткъа халкъ доцучуьнца Аса хьагӀ хуьлуьйтур ю церан, кхетам боцучу къомаца Аса оьгӀазло хуьлуьйтур ю цаьргахь.</verse>
				<verse number="22">ХӀунда аьлча Сан оьгӀазаллех цӀе яьлла, лахарчу эхарте кхаччалц дагадо цо. ЦӀаро латта доу лаьтто кхиийначуьнца цхьаьна, чахчош ду лаьмнийн кӀажаш.</verse>
				<verse number="23">Ас царна тӀе халонаш йоуьйтур ю, Сайн пхерчий а кхачор ду, царна тӀекхиссина.</verse>
				<verse number="24">Уьш мацалло гӀелбийр бу, хӀаллакбийр бу дагаро а, луьрачу уьно а. Ас акхаройн цергаш а, лаьттара текхаргийн дӀовш а тухур ду царна.</verse>
				<verse number="25">Уьш туьро арахьа хӀаллакбийр бу, ткъа цӀа чохь — кхерамо: къонах а, йоӀстаг а, декхаш долу бер а, къежвелла къано а.</verse>
				<verse number="26">Сан ала йиш яра: ‘ДӀаса а баржийна, адамашна юкъара уьш дагахь хилар а дӀадоккхур ду Ас’.</verse>
				<verse number="27">Делахь а Ас иза ца деш дитира, мостагӀийн кхардарх къахкарна, церан мостагӀий кура а бовлийтина, цаьрга ца алийтархьама: ‘Тхан куьг деха ду, Везачу Эло ца динера хӀара-м’“.</verse>
				<verse number="28">Исраилан къам хьекъалх даьлла халкъ ду, цаьрга хӀуманаш къаста а ца ло.</verse>
				<verse number="29">ЭхӀ-хӀай-кх! Хьекъал долуш белахьара уьш, тӀаккха уьш дикка кхетар бара, шайна хиндерг къастор дара цара!</verse>
				<verse number="30">Эзарна тӀаьхьа цхьа мостагӀа муха валалур вара, шина мостагӀчуьнга итт эзар исраилхо муха дӀавадийталур вара, нагахь санна церан Тархо уьш ца боьхкича, нагахь санна Везачу Эло уьш кара ца белча!</verse>
				<verse number="31">Уьш тӀетевжа тарх вайн Тархах тера ма яц: вайн мостагӀий шаьш бу оцу тӀехь кхелахой.</verse>
				<verse number="32">Седам-гӀалин кемсийн гаьннаш тӀера а, Ӏамор-гӀалина уллохь йолчу аренашкара а ю вайн мостагӀийн кемсаш. Церан кемсийн буьртигаш дӀаьвше ду, церан кенаш къаьхьа ду.</verse>
				<verse number="33">Церан чагӀар — лаьхьарчийн дӀовш а, текхаргийн валаран талу а ду.</verse>
				<verse number="34">„Соьгахь къайладаьккхина-м дац те иза? — боху Везачу Эло. — ХӀуманаш латточу Сан чоьнаш чохь-м дац те иза дӀакъевлина?</verse>
				<verse number="35">Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дӀалур ду. Хан тӀееача, церан ког галбер бу. Церан хӀаллакьхиларан де герга ду, церан къемате кхоллам тӀекхочу“.</verse>
				<verse number="36">Везачу Эло Шен халкъ бехказа а доккхур ду, Шена гӀуллакх дечарах Цо къинхетам а бийр бу, церан куьг гӀелделла Шена гича а, набахтехь берш а, арахь берш а ца бисча.</verse>
				<verse number="37">Везачу Эло халкъе эр ду: „Мичахь бу деланаш, царах тешна шу Ӏийна йолу тарх,</verse>
				<verse number="38">аша сагӀина деанчух мохь йиина болу, сагӀина деанчух чагӀар мийлина болу? Шайна гӀо дайта хьалагӀовттийта уьш, хилийта царах шайна тхов кӀело!</verse>
				<verse number="39">Хьажал хӀинца, веккъа Со Дела хилар, Со воцург кхин цхьа а Дела ца хилар. Ас долуьйту, Ас дендо, Ас чов йо, Ас тобо, Сан куьйгах цхьаьнгге а кӀелхьардахалур дац.</verse>
				<verse number="40">Сайн куьг стигалшка хьала а айина, абаденналц долчу Сайн дахарх чӀагӀо йо Ас:</verse>
				<verse number="41">‘Сайн къегаш долу тур Ас ирдича, Сан куьйго кхел яран герз схьаэцча, Ас бекхам бийр бу Сайн мостагӀашна, Со ца везачарна а дийр ду царна доггӀург.</verse>
				<verse number="42">Ас Сайн пхерчий цӀийх дузор ду, байинчеран а, йийсарехь болчеран а цӀийх. Сан туьро дилха дӀа а кхоллур ду, оцу хаьржинчу мостагӀийн хьаькамийн кортош’“.</verse>
				<verse number="43">Яккхийе, стигалш, Везачу Элаца цхьаьна! Цунна хьалха охьатаьӀийла стигалшкахь мел берш! Даккхийде, къаьмнаш, Цуьнан халкъаца цхьаьна! ЧӀагӀлойла Делан долу массо а маликаш! Цо бекхам бийр бу Шен ялхошна тӀера, Цо бекхам бийр бу Шен мостагӀашна, Шен лаьттан а, Шен халкъан а къинош дӀадохур ду!»</verse>
				<verse number="44">Муса халкъана тӀевеара, оцу назманан дешнаш цо а, Нунин кӀанта ЮшаӀа а халкъана дӀахазийтира.</verse>
				<verse number="45">Оцу назманан дерриге а дешнаш берриге исраилхошка ша дӀааьлла ваьлча,</verse>
				<verse number="46">Мусас цаьрга иштта элира: «Ас тахана шайна дӀахьедина долу дерриге а дешнаш шайн даг тӀе дижийта. Шайн берашна тӀедилла, хӀокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш леррина кхочушдар.</verse>
				<verse number="47">ХӀунда аьлча иза шуна эрна дерг дац, иза — шун дахар ду. Шу цуьнгахула дуккха а дехар ду, шайна дола даккхархьама Йордан-хих шу дехьадовлучу оцу лаьтта тӀехь».</verse>
				<verse number="48">Оццу дийнахь Везачу Эло, Мусага вистхуьлуш, иштта элира:</verse>
				<verse number="49">«Ӏабарим лаьмнашна тӀе хьала а валий, муабахойн лаьтта тӀехь Ерихон-гӀалина дуьхьал болчу Набу-лома тӀе а валий, дӀахьажа КанаӀан-махке, Ас исраилхошна дола дӀалуш долчу лаьтте.</verse>
				<verse number="50">Хьо хьалаволучу оцу лам тӀехь хьо, вала а велла, хьайн халкъах дӀакхетар ву, ХӀор-лам тӀехь вала а велла шен халкъах дӀакхетта волу хьан ваша АхӀарон санна.</verse>
				<verse number="51">Иза иштта хир ду, исраилхошна юкъахь, Кхадеш-гӀалина уллохь йолчу Мериба-меттиган хиш долчохь, яьссачу Цин олучу аренгахь, шуьшиъ Суна тешаме воцучу тайпана лелла дела а, веза волчу Суна богӀу ларам аша шимма ца гайтина дела а.</verse>
				<verse number="52">Геннара бен и латта гур дац хьуна. Ас исраилхошна луш долчу лаьтта тӀе вер вац хьо».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="33">
				<verse number="1">Ша дӀакхалхале, Делан стаг волчу Мусас, исраилхой декъалбеш, аьлла дешнаш хӀорш ду.</verse>
				<verse number="2">Цо элира: «Веза Эла Синай-ломера схьавеана, СеӀир-махкара халкъана тӀе, сатасар санна, гучуваьлла, Иза Паран-ломара нахана тӀе къегаш хилла. Вуно дукха маликаш дара Цуьнца цхьаьна, Цуьнан аьтту куьйгахь стелахаьштиг дара.</verse>
				<verse number="3">Шен халкъ баккъалла а деза Цунна, Цо дӀакъастийнарш Цуьнан карахь бу. Цуьнан когашка охьа а таьӀа уьш, Цуьнгара хьехам дӀа а оьцу цара.</verse>
				<verse number="4">Товрат-хьехам вайна Мусас белла, иза Якъубан юкъараллин тӀаьхьало ю.</verse>
				<verse number="5">Веза Эла Шен хьомечу халкъана тӀехь паччахь хилира, халкъан баьччанаш тайпанашца цхьаьна гуллучу хенахь».</verse>
				<verse number="6">Раабанхойх лаьцна Мусас элира: «Дехийла Раабанан тайпа, ма лойла иза, амма оцу тайпанах берш кӀезиг хуьлийла!»</verse>
				<verse number="7">Ткъа яхӀудхойх лаьцна хӀара элира: «ДӀахазахьа, Веза Эла, яхӀудхоша орца даккхар, кхечу тайпанех кхин а дӀакхетабехьа уьш. Шаьш лардан чӀагӀдехьа церан куьйгаш. Хилахьа царна мостагӀашна дуьхьал волу гӀоьнча».</verse>
				<verse number="8">Левихойх лаьцна а иштта элира: «Хьан Тумим-тӀулг левихошна дӀабелла, Хьан Урим-тӀулг Хьуна тешамечеран долахь бу. Ахь уьш Массехь зийнера, Мериба-хиш долчохь цаьрца къийсинера.</verse>
				<verse number="9">Шайн дайшка а, наношка а хьежаран метта, шайн вежарий лараран метта, шайн бераш довзаран метта, левихоша Хьан дош лар а дина, Ахь бина барт Ӏалаш а бина.</verse>
				<verse number="10">Цара Хьан тӀедехкинарш Якъубан тӀаьхьенна Ӏамадо, ткъа Хьан товрат-хьехам исраилхошна Ӏамабо. Хаза хьожа йогӀу хӀума цара Хьуна хьалха охьаюьллу, Хьан сагӀа доккхучу кхерча тӀехь дийнаташ дагоран сагӀанаш доху.</verse>
				<verse number="11">Веза Эла, декъалбехьа церан бахам, ткъа цара мел дечунна реза хилахьа. Царна дуьхьал гӀовттучарна а, уьш ца безачарна а уьш цкъа а хьала ца гӀовттал чӀогӀа тохахьа».</verse>
				<verse number="12">Бен-яманхойх лаьцна иштта элира: «Иза Везачу Элан уггар хьоме тайпа ду, кхерам боцуш Иза волчохь дехаш ду. Дийнахь сарралц Везачу Эло иза лар а до, Цуьнан куьйгаш тӀехь и тайпа Ӏуьллуш а ду».</verse>
				<verse number="13">Юсупхойх лаьцна иштта элира: «Везачу Эло декъалдойла церан латта стигалара охьадогӀу совгӀат долчу тхица, лаьтта бухара хьаладолучу хишца,</verse>
				<verse number="14">малхо кхиийначех тоьллачуьнца, хӀора баттахь хуьлучу ялтех уггар дикачуьнца,</verse>
				<verse number="15">ширачу лаьмнаша исбаьхьа кхоьллинчуьнца, даим долчу баьрзнийн тоьллачу совгӀаташца,</verse>
				<verse number="16">лаьтто лучу совгӀаташца, и латта дузуш долчуьнца. Коканийн коьллашкахь Гучуваьллачун декъалалла хуьлийла Юсупан тайпан тӀехь, вежаршна юкъара куьйгалхо иза волу дела.</verse>
				<verse number="17">Юсупан тайпа хьалха дуьнен чу баьлла сту санна ду. Цуьнан маӀаш гомашан маӀаш санна ю. И маӀаш цара кхечу халкъашна еттар ю, ур-атталла дуьненан йистехьа уьш тоттур ду. Иштта эпраймхойн дуккха а тӀемалой бу, иштта маннашхойн эзарнаш эскархой бу».</verse>
				<verse number="18">Забулхойх а, иссарханхойх а лаьцна иштта элира: «Сакъера, забулхой, шайн некъаш тӀехь, иссарханхой, аша а сакъера шайн четарш чохь.</verse>
				<verse number="19">Цара шайн халкъ лам тӀе схьакхойкху. Цигахь цара нийса сагӀанаш дохур ду. Шайн хьал схьадоккху хӀорда чуьра, хӀордан йистошкахь йолчу гӀамарна тӀера».</verse>
				<verse number="20">Гадахойх лаьцна элира: «Декъала ву гадахойн мохк дӀасабаржийнарг. Гадин тайпа цигахь, лом санна, Ӏуьллуш ду, куьйгаш я кортош дохорхьама.</verse>
				<verse number="21">Гадахоша тоьлла латта шайна хаьржира, куьйгалхочунна догӀу дакъа царна дӀаделира, халкъан баьччанаш гулбинчу хенахь. Цара кхочушбира Везачу Элан нийса лаам, Цо Исраилан халкъана тӀе мел диллинарг а кхочушдира».</verse>
				<verse number="22">Данахойх лаьцна элира: «Данан тайпа — къона лом ду, Башан-махкара дедда догӀу».</verse>
				<verse number="23">Напталхойх лаьцна элира: «Напталан тайпанна Дела реза хилира, иза Везачу Элан декъалдарех дуьзна ду. Малхбузе а, къилба а цуьнан долахь хир ю».</verse>
				<verse number="24">Ашархойх лаьцна элира: «Уьш кӀенташна юкъахь уггар декъалбинарш бу. И тайпа шен вежаршна дезаш хуьлийла. Шайн когаш зайтдаьттанна чохь лийчор цара.</verse>
				<verse number="25">Шун зайлаш эчигах а, йоьзах а дина хир ду. Шун денош санна, дебаш хир бу шун ницкъ».</verse>
				<verse number="26">«Цхьа а вац Исраилан Делах тера мархашца Шен сийлаллехь а, стигалшкахула хьуна гӀо лаца веана волчу.</verse>
				<verse number="27">Хьан кӀелхьардолийла — даим волу Дела ву, Цуьнан даим а долу куьйгаш шуна кӀел ду. МостагӀий шун юьхь-дуьхьалара дӀа а лаьхкина, Цо аьлла: „ХӀаллакбе!“</verse>
				<verse number="28">Иштта, Исраилан халкъ кхерам боцуш дехар ду, Якъубан тӀаьхье ша йолчохь ехаш хир ю, кӀех а, керлачу чагӀарх а дуьзначу махкахь, стигалшкара тхи охьаоьгучу лаьтта тӀехь.</verse>
				<verse number="29">Декъала ду хьо, Исраилан халкъ! Хьо санна, Везачу Эло лардеш кхин муьлха халкъ ду? Иза хьо лардеш долу турс а, хьан сийлаллин тур а ду! Хьан мостагӀий хьуна хьалха охьатаьӀна лелар бу, ткъа ахьа церан сагӀа доккху гунаш хьоьшур ду».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="34">
				<verse number="1">Муаби-аренашкара Набу-лам тӀера Пасга цӀе йолчу бохь тӀе хьалавелира Муса. И бохь Ерихон-гӀалина дуьххьал бара. Везачу Эло Дан-гӀалина тӀекхаччалц берриг а ГалӀад-мохк гайтира Мусана.</verse>
				<verse number="2">Напталан а, Эпрайман а, Маннашан а латтанаш а, Дуьненаюккъерачу хӀорда тӀекхаччалц долу дерриг а ЯхӀудан латта а гайтира Цо.</verse>
				<verse number="3">НегӀаб-аре а, шех палманийн гӀала олу Ерихон тӀехь лаьтта тогӀи а, ЦӀоӀар-гӀалина тӀекхаччалц болу мохк а гайтира Цо.</verse>
				<verse number="4">Везачу Эло Мусага элира: «ХӀара ду Ас ИбрахӀиме а, Исхьакхе а, Якъубе а церан тӀаьхьенашна дӀалур ду аьлла латта. И латта Ас хьайн бӀаьргашна гайти хьуна, амма цу тӀе хьо вер вац».</verse>
				<verse number="5">Везачу Эло ма-аллара, Муаби-лаьтта тӀехь кхелхира Везачу Элан лай Муса.</verse>
				<verse number="6">Муаби-мехкан тогӀи чохь Байт-ПаӀар цӀе йолчу юьртана дуьххьал дӀавоьллина Везачу Эло Муса. Амма таханлера де тӀекхаччалц цхьанна а ца хаьа иза дӀавоьллина йолу меттиг мичахь ю.</verse>
				<verse number="7">Мусан бӀе ткъа шо дара и лечу хенахь, амма цуьнан бӀаьрса а ца телхинера, гӀора дӀа а ца даьллера цуьнгара.</verse>
				<verse number="8">Муаби-аренашкахь ткъе итт дийнахь цунна тезет хӀоттийра исраилхоша. Мусах белхар даран а, халахетаран а денош цул тӀаьхьа чекхдевлира.</verse>
				<verse number="9">Мусас цунна тӀе куьйгаш дахкар бахьана долуш, хьекъалх вуьзнера Нунин кӀант ЮшаӀ. Цо аьлларг деш хилира исраилхой, Везачу Эло Мусана тӀедиллинарг кхочушдора цара.</verse>
				<verse number="10">Везачу Элана юьхь-дуьхьал вевзаш хилла волу Муса санна, кхин пайхамар ца хилира исраилхойн.</verse>
				<verse number="11">Везачу Эло билгалонаш а, тамашийна хӀуманаш а гайта вахийтинера иза Мисар-махка. ПирӀунна а, цуьнан ялхошна а, дерриг а халкъана а гинера и тамашийна хӀуманаш.</verse>
				<verse number="12">Исраилан халкъан бӀаьргашна хьалха Мусас гайтинера сийлахь а, инзаре а хӀуманаш, кхин цхьаммо а гайтина доцу.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="6">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">Шен ялхо Муса кхелхинчул тӀаьхьа Везачу Эло Мусан гӀоьнча хилла волчу Нунин кӀанте ЮшаӀе элира:</verse>
				<verse number="2">«Сан ялхо Муса кхелхина. ХӀинца хьо а, дерриг а хӀара халкъ а, хьала а гӀаттий, Йордан-хил дехьадала, Ас шуна, исраилхошна, лучу лаьтта тӀе.</verse>
				<verse number="3">Шун ког тӀебер болу муьлхха а меттиг Ас дӀало шуна, Мусага Айса ма-аллара.</verse>
				<verse number="4">Ас шуна къилбехь йолчу яьссачу аренна тӀера къилбаседехь долчу Ливанун лаьмнаш тӀекхаччалц долу латта лур ду. Шун дозанаш малхбалехь долчу сийлахьчу Эпрат-хи тӀера, хьетахойн латта чу а лоцуш, малхбузехь болчу боккхачу хӀорда тӀекхаччалц хир ду.</verse>
				<verse number="5">Хьан дахарехь хьуна дуьхьало ялуш цхьа а хир вац. Мусаца ма-хиллара, хир ву Со хьоьца а, хьох къаьстар а вац Со, хьо дӀа а тосур вац Ас.</verse>
				<verse number="6">ЧӀогӀа а, къонахалла йолуш а хила. ХӀокху халкъе Ас церан дайшна лур ду аьлла латта дола доккхуьйтур ду ахь.</verse>
				<verse number="7">ЧӀогӀа а, йоккха къонахалла йолуш а хила, Сан ялхочо Мусас кхочушбе аьлла болу берриг а товрат-хьехам леррина Ӏалаш а бе, кхочуш а бе. Цунна тӀера аьтту а, аьрру а агӀор ма верза, тӀаккха айхьа дечу муьлххачу а гӀуллакха тӀехь ларош хир ву хьо.</verse>
				<verse number="8">Деша хӀара хьехаман тептар массо а хенахь. Дийнахь а, буса а Ӏамаде иза, кху тӀехь яздинарг нийсса кхочушдархьама. ТӀаккха айхьа дечу гӀуллакх тӀехь чӀогӀа аьтто хуьлуш а, чӀогӀа беркат долуш а хир ву хьо.</verse>
				<verse number="9">Ас тӀедуьллу хьуна: чӀогӀа а, къонахалла йолуш а хила, кхера а ма кхера, воха а ма воха. Хьо миччанхьа вахча а, хьоьца хьан Веза Дела ву».</verse>
				<verse number="10">Халкъана хьалхабевллачу нахе омра дира ЮшаӀа:</verse>
				<verse number="11">«Нах севцинчу меттехула чекх а довлий, дӀаала цаьрга: „Шайна новкъана кхача кечбе. Кхо де даьлча, Йордан-хил дехьа девр ду шу, шайн Везачу Дала шайна дола даккха луш долу латта схьаэца“».</verse>
				<verse number="12">Раабанан а, Гадин а тайпанашка а, Маннашан эха тайпане а ЮшаӀа элира:</verse>
				<verse number="13">«Дагахь латтаде Везачу Элан ялхочо Мусас шайга аьлларг: „Шун Везачу Далла лиира Йордан-хин малхбале агӀор долу латта шуна дӀадала, иза шун мохк хилийта“.</verse>
				<verse number="14">Шун зударий а, бераш а, даьхни а Мусас Йордан-хил дехьа шуна деллачу лаьтта тӀехь совца, ткъа массо а тӀом балуш волчо, герзаца шайн вежаршна тӀе а гӀой, гӀо де царна.</verse>
				<verse number="15">Везачу Эло, шун санна, шун вежарийн а сатедаллалц, цара а шун Везачу Дала гуттаренна а царна луш долу латта схьаэццалц, гӀо де царна. ТӀаккха, юха а дерзий, шайна Везачу Элан ялхочо Мусас Йордан-хил дехьа, малхбалехьа, деллачу лаьттан дола де».</verse>
				<verse number="16">Наха ЮшаӀана жоп делира: «Ахь тӀедиллинарг дерриг а кхочуш а дийр ду оха, дӀахьажийначу гӀур а ду тхо.</verse>
				<verse number="17">Мусага ма-доггӀара, хьоьга а ладугӀур ду оха, ткъа хьан Веза Дела, Мусаца санна, хуьлийла хьоьца!</verse>
				<verse number="18">Хьан омранна дуьхьало йинарг, ахь тӀедиллинчу хӀуманна тӀехь хьоьга ла ца доьгӀнарг муьлхха а вуьйр ву. Амма чӀогӀа а, къонахалла йолуш а хила!»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Нунин кӀанта ЮшаӀа Шитим цӀе йолчу меттера къайлаха ши стаг вахийтира. Цо цаьрга элира: «Ваха а гӀой, лаьттах а, къаьсттина Ерихон-гӀаланах а долчуьнга хьажа». Рахьаб цӀе йолуш, нахаца лелаш йолу цхьа зуда яра Ерихонехь Ӏаш. Цуьнан цӀийне а веана, буьйса йоккхуш сецира и ши стаг.</verse>
				<verse number="2">Цхьаммо Ерихонан паччахье элира: «Кху буса исраилхойх цхьа нах баьхкина вайн лаьттах дерг талла».</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха Ерихонан паччахьо ялхой бахийтира Рахьабе ала: «Хьо йолчу баьхкина нах схьало. Уьш берриге а вайн махках дерг талла баьхкина бу».</verse>
				<verse number="4">Амма зудчо ши исраилхо къайлаваьккхинера. Цо элира: «Со йолчу веана ши стаг вара, амма суна ца хаьара и шиъ мичара ву.</verse>
				<verse number="5">Сарахь гӀалин ков дӀакъовлале, и шиъ дӀавахара. Уьш стенга бахана, суна ца хаьа. Сихха тӀаьхьагӀахь, шу тӀаьхьакхиа а мега царна».</verse>
				<verse number="6">Ткъа ши исраилхо, нийсачу, тӀехь кхалор йоцчу тхов тӀе хьала а ваьккхина, охьадехкинчу втанан цӀевнаш юккъе дӀалачкъийнера цо.</verse>
				<verse number="7">Паччахьан нах гӀалех арабевлира. Ков царна тӀаьххье сихха дӀакъевлира. Шина исраилхочунна тӀаьхьабевлла, малхбалехьа, Йордан-хих дехьаволучу метте кхаччалц, дӀабахара уьш.</verse>
				<verse number="8">Ши исраилхо дӀавижале, зуда тхов тӀе хьалаелира и шиъ волчу.</verse>
				<verse number="9">Цо элира цу шинга: «Суна хаьа Везачу Эло хӀара мохк шуна дӀабеллийла. Тхуна тӀе кхерам боьссина, тхан дегнаш, шух кхоьруш, дегош ду.</verse>
				<verse number="10">Тхуна хезна, шу Мисар-махкара арадевлла догӀуш, Везачу Эло шуна хьалхара Эрзийн хӀордан хи дӀадаьккхина бохуш. Ткъа иштта Йорданал дехьа Ӏийначу эмархойн ши паччахь Сихьон а, ӀовгӀа а аша хӀаллаквинийла а хезна тхуна.</verse>
				<verse number="11">Цунах лаьцна тхуна хезча, тхан дегнаш шелделира, тхоьгахь цхьаьнггахь а шуна дуьхьало ян доьналла ца дисира, хӀунда аьлча шун Веза Дела лакхахь стигалахь а, лахахь лаьттахь а Дела ву.</verse>
				<verse number="12">Ткъа хӀинца Везачу Элах чӀагӀо е суна, ас шайх къинхетам ма-барра, аша а сан ден цӀийнах къинхетам бийр бу алий. Тешам болу цхьа билгало ло суна,</verse>
				<verse number="13">сан да а, нана а, вежарий а, йижарий а церан мел верг а дийна а витина, аша тхан синош Ӏожаллех кӀелхьардохур ду алий».</verse>
				<verse number="14">Шина стага элира зудчуьнга: «Оха арадаьккхина гӀуллакх аш дӀа ца дийцахь, шун метта вала а реза ву тхойшиъ. Везачу Эло тхуна хӀара мохк схьабелча, тхо хьоьца къинхетаме а, тешаме а хир ду».</verse>
				<verse number="15">Цу зудчун цӀенош гӀалин пена юккъехь дара, цундела цо и ши стаг корехула муьшаца чувоссийтира.</verse>
				<verse number="16">Уьш чубиссале, цо элира цаьрга: «Малхбузехьа, лам тӀе, дӀагӀо, шайна тӀаьхьабевлларш тӀе ца кхачийта. Кхаа дийнахь Ӏе цигахь дӀаловчкъий, шу лоьхуш болу и нах юхабахккалц. Цул тӀаьхьа шайн новкъа дӀагӀор шу».</verse>
				<verse number="17">Шина стага элира зудчуьнга: «Ахь тхоьга яйтинчу чӀагӀонах тхо паргӀат хир ду, нагахь ахь иштта ца дахь:</verse>
				<verse number="18">тхо кху махка схьадаьхкича, тхойшиъ чувоссийначу корах хӀара цӀен тӀийраг таса, ткъа хьайн да а, нана а, вежарий а — хьайн ден берриг а доьзал хьо Ӏаш йолчу цӀа чу гулбе.</verse>
				<verse number="19">Нагахь цӀа чуьра цхьаъ аравалахь, иза шен бехкенна лийр ву, ткъа тхо цунах жоьпехь хир дац. Амма хьан цӀа чохь волчунна тӀе цхьаммо куьг кховдадахь, веллачун цӀий тхох хьаьрчар ду.</verse>
				<verse number="20">Нагахь ахь оха деана гӀуллакх гучудаккхахь, хьуна йинчу чӀагӀонах тхо а паргӀат хир ду».</verse>
				<verse number="21">Зудчо цаьрга элира: «Дерриг а аш ма-бохху хуьлийла!» Ши исраилхо дӀа а хьажийна, корах цӀен тӀийраг йихкира цо.</verse>
				<verse number="22">Лам тӀе а веана, цигахь кхаа дийнахь Ӏийра и ши стаг. Массо а новкъахь лехча, хӀара шиъ кара а ца вина, юхабаьхкира паччахьан нах.</verse>
				<verse number="23">Лам тӀера чу а воьссина, Йордан-хих дехьа а ваьлла, Нунин кӀантана ЮшаӀана тӀевеара и ши стаг. Цунна шайца хилларг дерриг а дийцира цу шиммо.</verse>
				<verse number="24">Цара элира ЮшаӀе: «Везачу Эло дерриг а хӀара латта вайн кара схьаделла. Берриг а цигара бахархой вайх кхоьруш бу».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">ШолгӀачу Ӏуьйранна хьалххе хьала а гӀевттина, ЮшаӀ а, берриг исраилхой а Шитим цӀе йолчу меттера Йордан-хи тӀе баьхкира. Цигахь меттамотт а хӀоттийна, севцира уьш, хих дехьадовла деза хан тӀекхаччалц.</verse>
				<verse number="2">Кхо де даьлча, нахана тӀехь хӀиттийна хьаькамаш буьйлабелира халкъана юккъехула.</verse>
				<verse number="3">Цара массаьрга а омра дира: «Шайн Везачу Делаца бинчу бертан тӀорказ а, иза дӀахьош болу левихойн динан дай а шайна гахь, хьала а гӀовттий, царна тӀаьххье дӀагӀо.</verse>
				<verse number="4">Амма шуна а, тӀорказна а юккъехь йолу меттиг цхьа эзар гӀулч барам болуш хила еза. Цунна улло ма гӀо, шайна тӀаьхьадаха некъ хаийтархьама, хӀунда аьлча кху новкъахула шу кхул хьалха даьхкина дац».</verse>
				<verse number="5">ЮшаӀа халкъе элира: «ЦӀин а лой, кечам бе, кхана Везачу Эло шуна юкъахь тамашийна хӀуманаш гойтур ду».</verse>
				<verse number="6">Динан дайшка ЮшаӀа элира: «Бартбаран тӀорказ схьа а эций, халкъана хьалхадовла». Уьш, тӀорказ схьа а эцна, халкъана хьалхабевлира.</verse>
				<verse number="7">ТӀаккха Везачу Эло ЮшаӀе элира: «Таханлерчу дийнахь дуьйна исраилхошна хьалха хьо вазван волалур ву Со, Мусаца санна, хьоьца а Со вуйла царна хаийта.</verse>
				<verse number="8">Ахь тӀорказ эцна боьлхучу динан дайшка омра де, шаьш Йордан-хи чу ма-девлли, совца алий».</verse>
				<verse number="9">ЮшаӀа элира исраилхошка: «ТӀе а дуьйлий, шайн Везачу Делан дешнашка ладогӀа.</verse>
				<verse number="10">Шуна хуур ду, шайна юкъахь дийна Дела вуйла. Цо шу долчуьра лохкур бу канаӀанхой а, хьетахой а, хьаьвихой а, перезахой а, гӀиргӀашахой а, эмархой а, явсайхой а.</verse>
				<verse number="11">Дерриг а дуьненан Да волчу Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ, шуна хьалха а даьккхина, Йордан-хи чу доккхур ду.</verse>
				<verse number="12">Шийтта стаг харжа шайна, исраилхойн хӀора тайпанах цхьацца.</verse>
				<verse number="13">Дуьненан Да волчу Везачу Элан тӀорказ эцна боьлхучу динан дайн когаш Йордан-хи чу бовллушехь, и хи лекъар ду. ТӀедогӀуш долу хи, пен а хилла, дӀахӀуттур ду».</verse>
				<verse number="14">Йорданах дехьадала дагахь халкъ шен меттамотт болчуьра дӀадоладелча, динан дайша бартбаран тӀорказ, нахана хьалха а даьккхина, дӀадаьхьира. Халкъ царна тӀаьххье дӀадахара.</verse>
				<verse number="15">ТӀорказ эцна боьлхучу динан дайн когаш Йордан-хи чу бовллушехь (кӀа хьокхучу хенахь Йордан, деста а дестий, бердаш чуьра арадолу),</verse>
				<verse number="16">лакхара догӀу хи, саца а сецна, геннахь, ЦӀартан-гӀалина уллора Адам-гӀала йолчохь, пен а хилла, дӀахӀоьттира. Шерачу аренашка а, Дуьрачу хӀорда чу а доьдуш долу хи, дӀа а дахана, дӀаделира. Нах Ерихон-гӀалина дуьххьал хих дехьабовлуш бара.</verse>
				<verse number="17">Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ дахьаш богӀу динан дай Йордан юккъехь декъачу лаьтта тӀехь севцира, берриш а исраилхой декъачу лаьтта тӀехула Йорданах дехьабовллалц.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">Дерриг а Исраилан халкъ Йорданах дехьадаьлча, Везачу Эло ЮшаӀе элира:</verse>
				<verse number="2">«Шийтта стаг схьахаржа нахана юкъара, хӀора тайпанах цхьацца.</verse>
				<verse number="3">Царна тӀедилла, динан дай лаьттинчу меттера, Йорданан юккъера, шийтта тӀулг схьаэца алий. Тховса шаьш буьйса йоккхучу метте, дӀа а хьой, охьадахка ала цаьрга и тӀулгаш».</verse>
				<verse number="4">Исраилхойн хӀора тайпанна юкъара ша хаьржина шийтта стаг тӀекхайкхира ЮшаӀа.</verse>
				<verse number="5">Цо элира цаьрга: «Йорданна юккъе, шайн Везачу Делан тӀорказна хьалха, довла. ХӀораммо а цигара шайн белшаш тӀе цхьацца тӀулг схьаэца. ХӀора тайпанна цхьацца хир бу уьш.</verse>
				<verse number="6">И тӀулгаш шайна билгалонна дита. ТӀейогӀучу хенахь шун бераша хоттур ду шуьга: „Стенна Ӏалашдо аш и тӀулгаш?“ — аьлла.</verse>
				<verse number="7">Аш жоп лур ду царна: „Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказна хьалха Йордан-хи декъадалар дагахьлатторхьама Ӏалашдо. ТӀорказ дехьадоккхучу хенахь Йордан-хи, декъа а делла, сецира. ТӀейогӀу йолчу хенахь исраилхошна и хӀума дагахь латтор ду цу тӀулгаша“».</verse>
				<verse number="8">ЮшаӀа шайна тӀе-ма-диллара, кхочушдира исраилхоша дерриг а. Везачу Эло ЮшаӀе ма-аллара, Йордан-хина юккъера шийтта тӀулг, исраилхойн хӀора тайпанан цӀарах цхьацца, схьа а эцна, шаьш буьйса йоккхучу метте дӀа а баьхьна, охьабиллира цара.</verse>
				<verse number="9">Бартбаран тӀорказ эцна боьлху динан дай лаьттинчу метте, Йордан-хина юккъе, кхин шийтта тӀулг хӀоттийра ЮшаӀа. И тӀулгаш хӀинца а ду цигахь.</verse>
				<verse number="10">Везачу Эло ЮшаӀана тӀедиллинера дан дезарг халкъе дӀаалар, Мусас ЮшаӀе весет ма-дарра. Дерриг а чекхдаллалц, тӀорказ эцна боьлху динан дай Йордан-хина юккъехь лаьттира. Ткъа халкъ цу хенахь сихха хих дехьадолуш дара.</verse>
				<verse number="11">Нах дехьабевллачул тӀаьхьа, Везачу Элан тӀорказ юха а халкъана хьалхадаьккхина дӀадаьхьира динан дайша.</verse>
				<verse number="12">Раабанан а, Гадин а тӀаьхьенаш а, Маннашан тӀаьхьенах ах нах а, исраилхошна хьалха а бевлла, герзашца хих дехьабевлира, Мусас шайна тӀе-ма-диллара.</verse>
				<verse number="13">ТӀамана кечвелла шовзткъа эзар герга стаг, Везачу Элана хьалхахула чекх а ваьлла, Ерихонан аренашка тӀом бан вахара.</verse>
				<verse number="14">Цу дийнахь Везачу Эло дерриг а Исраилан халкъана хьалха ЮшаӀан сий хьалаайира. Цул тӀаьхьа, Муса санна, ЮшаӀ лерира халкъо, цуьнан дахаран денош чекхдовллалц.</verse>
				<verse number="15">Везачу Эло ЮшаӀе элира:</verse>
				<verse number="16">«Бартбаран тӀорказ эцна богӀучу динан дайшка, Йордан чуьра схьабовла алий, омра де».</verse>
				<verse number="17">ЮшаӀа динан дайшка омра дира: «Йордан чуьра схьадовла!» — аьлла.</verse>
				<verse number="18">Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ эцна богӀу динан дай, Йордан чуьра хьала а бевлла, декъачу лаьтта тӀе бовллушехь, Йорданан хи, ша гуттар а ма-дарра, охьадоладелира, шен бердашна тӀехула а долуш.</verse>
				<verse number="19">Хьалхарчу беттан уьтталгӀачу дийнахь Йорданах сехьа а даьлла, Ерихонна малхбалехьа йолчу Галгал олучу меттехь сецира Исраилан халкъ.</verse>
				<verse number="20">Йордан-хи чуьра шаьш схьаэцна шийтта тӀулг цигахь дӀахӀоттийра ЮшаӀа.</verse>
				<verse number="21">Цо элира исраилхошка: «ТӀейогӀучу хенахь шайн бераша шайга хаттахь: „ХӀорш хӀун тӀулгаш ду?“ — аьлла,</verse>
				<verse number="22">аш цаьрга ала: „Исраилхой Йордан-хих декъачу лаьтта тӀехула дехьабовлар дагахь латтадойту цара“.</verse>
				<verse number="23">Шун Везачу Дала, шу дехьадовллалц, Йордан-хи лакъийра. Изза динера шун Везачу Дала, Эрзийн хӀордах тхо дехьадовлучу хенахь, тхуна хьалхара хи дӀа а лакъийна.</verse>
				<verse number="24">Везачу Эло иза дина дуьнен чуьра дерриг а халкъашна Шен ницкъ мел бу хаийтархьама, шу гуттар а шайн Везачу Делах кхоьруш хилийтархьама».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">Йорданал дехьа, малхбузехьа, хӀорд болчу агӀор Ӏачу эмархойн паччахьашна а, хӀордана уллохь Ӏачу канаӀанхойн паччахьашна а хезира, исраилхой дехьабовлучу хенахь Везачу Эло Йордан-хи лакъийна аьлла. Паччахьаш чӀогӀа кхерабелира, исраилхошна дуьхьалбовла доьналла дацара церан.</verse>
				<verse number="2">Цу хенахь Везачу Эло ЮшаӀе элира: «Мокхазах арсаш а дай, исраилхой сунтбе».</verse>
				<verse number="3">ЮшаӀа, мокхазах арсаш а дина, Сунтбаран гу аьлла, цӀе тиллинчу меттехь исраилхойн божарий сунтбира.</verse>
				<verse number="4">ЮшаӀа уьш сунтбаран бахьана хӀара дара: Мисарара халкъ арадаьллачул тӀаьхьа, тӀом балуш болу божарий яьссачу арахь новкъахь беллера.</verse>
				<verse number="5">Мисарара арабевлла божарий сунтбина бара, ткъа новкъахь дуьнен чу бевлларш сунтбаза бара.</verse>
				<verse number="6">Исраилхой шовзткъа шарахь лийлира яьссачу арахула, Мисарара арабевлла, тӀом балуш болу божарий белла дӀабовллалц. Цара Везачу Эле ла ца доьгӀнера, цундела Цо церан дайшна Ша лур ду аьлла чӀагӀо йина, шуьрех а, мазах а дуьзна токхе долу латта ган царна бакъо ца елира.</verse>
				<verse number="7">Церан метта церан кӀентий кхиийтира Везачу Эло. Уьш бара ЮшаӀа сунтбинарш, новкъахь сунтбаза бисарна.</verse>
				<verse number="8">Берриш а сунтбинчул тӀаьхьа, шайн меттамотт болчохь севцира нах, божаршна гӀоле хиллалц.</verse>
				<verse number="9">Везачу Эло ЮшаӀе элира: «Мисарахь шу лоллехь хиларан эхь тахана шуна тӀера дӀадаьккхи Ас». Цундела ю цу меттиган цӀе Галгал, хӀинца а олу цунах иза.</verse>
				<verse number="10">Исраилхой Галгалехь севцна бара. Беттан дейтталгӀачу дийнахь Ерихонан аренашкахь сарахь Пасахь даздира цара.</verse>
				<verse number="11">ШолгӀачу дийнахь совсаза бепиг а, кхаьрзина буьртигаш а диира цара.</verse>
				<verse number="12">Цу лаьттан стоьмаш баа хӀорш буьйлабеллачу шолгӀачу дийнахь стигалара охьаоьху «ман» олу кхачанан буьртигаш дӀасевцира. Цул тӀаьхьа «ман» кхин ца хилира исраилхошна, амма КанаӀан лаьттах схьадаьлларг диира цара цу шарахь.</verse>
				<verse number="13">Ерихонна уллохь волчу хенахь ЮшаӀана гира шена хьалха лаьтта цхьа стаг. Цу стеган карахь баттара даьккхина тур дара. ЮшаӀа, тӀе а вахана, хаьттира цуьнга: «Хьо тхайниг ву я тхан мостагӀех ву?» — аьлла.</verse>
				<verse number="14">Стага жоп делира: «Со иза а, я важа а вац. Со Везачу Элан эскаран тхьамда ву, хӀинца кхуза веана». Лаьтта кхаччалц цунна хьалха охьа а таьӀна, ЮшаӀа элира: «Шен лай волчуьнга хӀун эр ду сан эло?»</verse>
				<verse number="15">Везачу Элан эскаран тхьамдано ЮшаӀе элира: «Хьайн когара мачаш схьаяха. Хьо лаьтташ волу меттиг еза ю». ЮшаӀа цо боххург кхочушдира.</verse>
				<verse number="16">Ерихон-гӀала дӀакъевлина яра. Цуьнан бахархой исраилхойх кхерабелла бара. ГӀалара ара а, я чу а волуш стаг вацара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="6">
				<verse number="1">Везачу Эло ЮшаӀе элира: «Ас хьан кара дӀало Ерихон-гӀала шен паччахьца а, тӀемалошца а.</verse>
				<verse number="2">Хьо а, хьан тӀемалой а, дийнахь цхьа го а боккхуш, ялх дийнахь гӀалина гонах лела.</verse>
				<verse number="3">ВорхӀ динан дас ворхӀ маӀа дӀаяхьа еза дезачу тӀорказна хьалха. ВорхӀалгӀачу дийнахь аша гӀалина ворхӀ го баккха. Ткъа динан дайша, шаьш гӀалина гонах мел лела, маӀаш локхур ю.</verse>
				<verse number="4">Локхучу маӀан деха аз шайна хезча, дерриге а халкъо чӀоггӀа мохь хьакха беза, тӀаккха гӀалина гонахара пен охьабужур бу. Цул тӀаьхьа шу массо а гӀали чу гӀур ду».</verse>
				<verse number="5">Исраилхойн динан дайшка, тӀе а кхайкхина, Нунин кӀанта ЮшаӀа элира: «Бартбаран тӀорказ дӀахьо. ВорхӀ динан дас ворхӀ маӀа хьо, Везачу Элан тӀорказна хьалха а яккхий».</verse>
				<verse number="6">Юха халкъе омра дира цо: «Даха а гӀой, гӀалина гобаккха. Герзашца дерш, Везачу Элан тӀорказна хьалха а довлий, дӀагӀо».</verse>
				<verse number="7">ЮшаӀа халкъе иза ма-элли, Везачу Элана хьалха ворхӀ маӀа эцна воьдучу ворхӀ динан дас, хьалха дӀа а волавелла, маӀаш лекхира. Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ царна тӀаьххье дӀадаьхьира.</verse>
				<verse number="8">Герзашца берш маӀаш лоькхуш богӀучу динан дайшна хьалхабевлла бара, кхиберш тӀорказна тӀаьхьахӀиттина богӀура. Ерриг а цу хенахь лоькхуш маӀаш а яра.</verse>
				<verse number="9">ЮшаӀа халкъе омра динера: «Маьхьарий а ма хьекха, шайн аз а ма хазийта. Багара цхьа дош а ма далийта, ас мохь тоха бакъо лур йолу де тӀекхаччалц, тӀаккха маьхьарий тухур ду аша».</verse>
				<verse number="10">Иштта Везачу Элан тӀорказ, гӀалех цхьа го а боккхуш, дӀадаьхьира. Цул тӀаьхьа уьш, шайн меттамотт болчу юха а баьхкина, цигахь буьйса йоккхуш севцира.</verse>
				<verse number="11">ШолгӀачу Ӏуьйранна ЮшаӀ хьалххе хьалагӀаьттира. Динан дайша Везачу Элан тӀорказ юха а дӀадаьхьира.</verse>
				<verse number="12">Везачу Элан тӀорказна хьалха ворхӀ маӀа дӀахьош волу ворхӀ динан да, маӀаш а лоькхуш, дӀавоьдуш вара. Герзашца берш царна хьалхабевлла дӀабоьлхура, ткъа кхиберш тӀорказна тӀаьхьахӀиттина богӀура. Массо а маӀа лоькхуш яра.</verse>
				<verse number="13">Иштта шолгӀачу дийнахь а, гӀалина цхьа го а баьккхина, шайн меттамотт болчу юхабаьхкира уьш. Ялх дийнахь дира цара иза.</verse>
				<verse number="14">ВорхӀалгӀачу дийнахь, маьлхан зӀаьнарш гучуйовлучу хенахь хьала а гӀевттина, гӀалина цу кеппара ворхӀ го баьккхира цара. Цу дийнахь бен ца баьккхира цара гӀалина ворхӀ го.</verse>
				<verse number="15">Динан дайша ворхӀалгӀа а маӀаш лекхначул тӀаьхьа, ЮшаӀа халкъе омра дира: «Мохь тоха! Везачу Эло дӀаелла шуна гӀала!</verse>
				<verse number="16">ГӀала а, дерриг а цу чохь дерг а Везачу Элана лерина ду. Нахаца лелаш йолу Рахьаб а, цуьнан цӀера нах а дийна бита, хӀунда аьлча цу зудчо вай бахийтина нах къайлабаьхнера.</verse>
				<verse number="17">Амма аша цхьа а хӀума схьа ма эца, шайна бохам ца хилийта. Везачу Элана леринчух цхьа хӀума схьаэцахь, исраилхойн меттаматтана хӀаллакьхиллал зен дийр ду аша.</verse>
				<verse number="18">Дерриг а дети а, деши а, цӀестан а, аьчка а пхьегӀаш а дӀакъастае Везачу Элана. Уьш Цуьнан хазни чохь хир ю».</verse>
				<verse number="19">Локхучу маӀийн аз ма-хеззи, халкъо цхьаьний чӀоггӀа мохь туьйхира — гӀалин пен охьабуьйжира. Берриг а исраилхой шаьш лаьтташ болчуьра гӀали чу бахара, цара схьаяьккхира иза.</verse>
				<verse number="20">Шайн таррашца гӀали чохь дийна долу хӀума дерриг а хӀаллакдира цара: божарий а, зударий а, къонанаш а, къенанаш а, бежанаш а, уьстагӀий а, варраш а.</verse>
				<verse number="21">Кху гӀалахь хӀун ду хьажа хьалха ваийтинчу шина жимачу стаге ЮшаӀа элира: «Нахаца лелачу цу зудчун цӀа чу а гӀой, иза а, цуьнан гергара нах а арабаха, шаьш цунна чӀагӀо йина ма-хиллара».</verse>
				<verse number="22">ДӀаваханчу цу жимачу шина стага Рахьаб а, цуьнан да а, нана а, вежарий а, и йолчохь болу берриг а гергара нах а, ара а баьхна, исраилхойн меттаматтана улло дӀабигира.</verse>
				<verse number="23">Юха гӀала а, цу чохь долу хӀума а цӀергахь дагийра. Дети а, деши а, цӀестан а, аьчка а пхьегӀаш бен ца йитира, уьш Везачу Элана Ӏамал ечу меттиган хазни чу ехкира.</verse>
				<verse number="24">Нахаца лела Рахьаб а, цуьнан цӀийнах а, гергара а болу нах ЮшаӀа дийна битира, хӀунда аьлча цу зудчо ЮшаӀа Ерихоне хьовса бахийтинарш, дӀа а лачкъийна, кӀелхьарбаьхнера. Рахьабан тӀаьхьенах болу нах хӀинца а исраилхошна юкъахь Ӏаш бу.</verse>
				<verse number="25">Цу хенахь ЮшаӀа, чӀагӀо а еш, элира: «Везачу Элана хьалха нажжаз хир ву Ерихон-гӀала юхаметтахӀоттийнарг. Кху гӀалин бух боьттинчун хьалхара кӀант лийр ву. ГӀалин ков дӀахӀоттийнарг жимах волчу кӀантах вер ву».</verse>
				<verse number="26">Веза Эла ЮшаӀаца вара. Берриг а махкахула гӀараваьллера ЮшаӀ.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="7">
				<verse number="1">Амма исраилхоша доккха зулам дира Везачу Элана лериначуьнца доьзна. ЯхӀудан тӀаьхьенах волчу Ӏахана шайна схьаийцира Везачу Элана леринчух цхьайолу хӀуманаш (Ӏахан вара Кармин кӀант, ткъа Карма вара Завадин кӀант, Завади вара Зерахьан кӀант). ТӀаккха Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара исраилхошна.</verse>
				<verse number="2">Ерихонера ГӀай-гӀала нах бахийтира ЮшаӀа. ГӀай-гӀала Байт-Аванна уллохь, Бетал-гӀалина малхбалехьарчу агӀор яра. Цу нахе ЮшаӀа элира: «Даха а гӀой, талла и меттиг». ДӀа а бахана, ГӀай-гӀалане хьаьвсира уьш.</verse>
				<verse number="3">ЮшаӀ волчу юха а баьхкина, цара элира: «Дерриг а халкъ а ца дохуьйтуш, ши-кхо эзар стаг вахийта ГӀай-гӀала схьаяккха. Уьш цигахь дукха а бац, дерриг а вайн эскар дахийттал».</verse>
				<verse number="4">Халкъах кхо эзар гергга стаг вахара гӀалина тӀелата, амма уьш ГӀай-гӀалин бахархоша лаьхкира.</verse>
				<verse number="5">Ткъе ялхитта стаг вийра царах ГӀай-гӀалин бахархоша. Шайн кевнера лаьхкина, тӀулг боккхучу метте кхаччалц дӀабигира цара и исраилхой. Лам тӀера чубуьссучу хенахь байира уьш ГӀай-гӀалин бахархоша. Доьналлех боьхначу исраилхойн дегнаш дегадора.</verse>
				<verse number="6">Шен бедарш а этӀийна, Везачу Элан тӀорказна хьалха бертал а воьжна, сарралц Ӏиллира ЮшаӀ. Цо а, исраилхойн къаноша а шайн кортош тӀе чан юхкура, шаьш баланехь хилар гойтуш.</verse>
				<verse number="7">ЮшаӀа элира: «Хьалдолу Эла! Йорданал сехьа хӀара халкъ стенна даьккхина Ахь? Эмархойн кара а делла, тхо хӀаллакдайтий? Буха а севцна, Йорданал дехьа Ӏаш делара тхо!</verse>
				<verse number="8">Веза Эла! ХӀун ала деза ас хӀинца, исраилхой шайн мостагӀех бевдда хилча?</verse>
				<verse number="9">КанаӀанхоша а, цу махкара берриг а кхечу наха а, хӀара хӀума а хезна, тхуна го бийр бу. Цара лаьтта тӀехь ур-атталла тхан цӀе а юьттур яц. Хьайн сийлахь цӀе муха ларйийр ю Ахь тӀаккха?»</verse>
				<verse number="10">Везачу Эло ЮшаӀе элира: «ХьалагӀатта, хьо хӀунда воьжна бертал?</verse>
				<verse number="11">Исраилхоша къа латийна, Ас шайга ларбе аьлла болу, Соьца шаьш бина болу барт а бохийна. Суна леринчух цхьайолу хӀуманаш, схьа а эцна, шайн хӀуманаш юккъехь дӀалачкъийна цара.</verse>
				<verse number="12">Цундела ца ян елла исраилхошка шайн мостагӀашна дуьхьало. Уьш царах бевдда, шаьш-шайна хӀаллакбаран кхел йина дела. Со кхидӀа шуьца хир вац, нагахь Суна лерина хӀуманаш аша шайна юкъара дӀа ца яхахь.</verse>
				<verse number="13">Хьала а гӀаттий, халкъ даз а дай, ала нахе: „Ӏуьйре тӀекхачале, цӀан а лой, дӀахӀитта, хӀунда аьлча Исраилан халкъан Везачу Дала иштта боху: ‘Суна лерина йолу хӀуманаш, аша схьа а эцна, шуна юкъахь ю, исраилхой. Шайна юкъара уьш дӀаяххалц, шу мостагӀашна дуьхьал латталур дац’.</verse>
				<verse number="14">Кхана шайн тайпанашца тӀедуьйла. Везачу Эло къастийна тайпа шен гаранашца тӀедан деза. Цо билгалдаьккхина гара доьзалшца тӀедан деза. Къастийна доьзал, цхьацца стаг а вогӀуш, тӀебан беза.</verse>
				<verse number="15">Суна лерина хӀуманаш лачкъийна волу стаг а, цуьнан доьзал а, долахь мел дерг а цӀергахь дагаде, цо, Везачу Элаца бина барт а талхийна, исраилхошна юкъахь эхье гӀуллакх дина дела“».</verse>
				<verse number="16">ЮшаӀа, Ӏуьйранна хьалххе хьала а гӀаьттина, исраилхошка шайн тайпанашца тӀедуьйла элира. Массарна а юкъара къастийнарг ЯхӀудан тайпа дара.</verse>
				<verse number="17">ЯхӀудан тайпа тӀе а кхайкхина, царна юкъара Зерахьан гара къастийра. Шайн доьзалшца Зерахьан гаране тӀедола а аьлла, царна юкъара Завадин доьзал къастийра Везачу Эло.</verse>
				<verse number="18">Цу доьзале, цхьацца стаг тӀевогӀуш, тӀедуьйла элира ЮшаӀа. Кармин кӀант Ӏахан вара билгалваьккхинарг. Карма Завадин кӀант вара, Завади Зерахьан кӀант вара. Уьш ЯхӀудан тайпанах бара.</verse>
				<verse number="19">ТӀаккха ЮшаӀа элира Ӏахане: «Сан кӀант, Исраилан халкъан Веза Дела, хаста а вай, Цунна хьалха даре а дай, схьадийца соьга айхьа динарг. Сох и лачкъо ма гӀерта».</verse>
				<verse number="20">ЮшаӀана жоп луш, Ӏахана элира: «Бакъ ду, ас къа латийна исраилхойн Везачу Далла хьалха. Ас динарг хӀара ду:</verse>
				<verse number="21">схьаяьккхинчу хӀонса юккъехь бавелхойн исбаьхьа духар а, ши бӀе шекхал дети а, шовзткъе итт шекхалан барамехь дашо экъа а гира суна. И сайна хазъелла хӀуманаш схьаийцира ас. Сан четар чохь лаьттах йоьхкина ю уьш, дети а царна бухадиллина ду».</verse>
				<verse number="22">ЮшаӀа нах бахийтира Ӏаханан четарх хьовса. Сихонца баханчу царна дӀалачкъийна хӀуманаш карийра, царна бухахь дети а дара.</verse>
				<verse number="23">ХӀуманаш, четарна чуьра схьа а эцна, ЮшаӀ а, берриг исраилхой а болчу схьа а еана, Везачу Элана хьалха охьаехкира цара.</verse>
				<verse number="24">Берриг исраилхошца цхьаьна ЮшаӀа Зерахьан кӀант Ӏахан а, дети а, духар а, дашо экъа а, Ӏаханан кӀентий а, мехкарий а, цуьнан стерчий а, варраш а, уьстагӀий а, четар а — дерриг а цуьнан дерг Ӏахур-тогӀи чу схьадеара (Ӏахур — иза «сингаттам» бохург ду).</verse>
				<verse number="25">ЮшаӀа элира: «Ахь тхуна бохам бина дела, Везачу Эло тахана бохам хьуна а бо». Берриг а исраилхоша, тӀулгаш а кхиссина, Ӏахан а, цуьнан доьзал а хӀаллакбира. Юха уьш а, церан бахам а цӀергахь багийра цара.</verse>
				<verse number="26">Ӏаханна а, цуьнан доьзална а тӀехь тӀулгех боккха барз бира наха. И барз тахана а лаьтташ бу. Цул тӀаьхьа Везачу Элан оьгӀазалла яйъелира. Тахана а цу меттигах Ӏахур-тогӀи олу.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="8">
				<verse number="1">Везачу Эло ЮшаӀе элира: «Кхера а ма кхера, воха а ма воха. ТӀом балуш верг верриг а хьайца схьа а эций, ГӀай-гӀалина тӀелата. ГӀай-гӀалин паччахь а, цуьнан халкъ а, гӀала а, латта а хьан кара дӀало Ас.</verse>
				<verse number="2">ГӀай-гӀалина а, цуьнан паччахьна а айхьа Ерихонна а, цуьнан паччахьна а диннарг де, амма цуьнгара а, гӀалин бахархошкара а схьаяьхна хӀуманаш а, церан даьхни а шайна юкъахь дӀасадекъа. ГӀалин тӀехьа агӀор кӀело а е».</verse>
				<verse number="3">ЮшаӀ а, берриг а исраилхойн тӀемалой а ГӀай-гӀалина тӀелата кечбелира. Ткъе итт эзар дикаха къонах а хаьржина, буьйсанна уьш дӀахьовсийра ЮшаӀа,</verse>
				<verse number="4">цаьрга омра а дина: «Хьовсалаш, шу гӀалина тӀехьа агӀор кӀело йина хир ду, амма гӀалина гена а ма довла, массо а тӀелата кийча а хила.</verse>
				<verse number="5">Со а, соьца волу массо тӀемало а гӀалина тӀелетар ву. Хьалха санна, ГӀай-гӀалин божарий тхуна дуьхьалбевлча, тхо царах довдур ду.</verse>
				<verse number="6">Тхаьшна тӀаьхьабаьхна, гӀала йолчуьра оха дӀабуьгур бу уьш. „Хьалха санна, вайх бевдда уьш“, — эр ду цара. Тхо царах девдча,</verse>
				<verse number="7">шаьш кӀело йиначуьра схьа а довлий, гӀала дӀалаца. Шун Везачу Дала шун кара схьалур ю иза.</verse>
				<verse number="8">Шаьш гӀала дӀалаьцча, сийна цӀе таса цунах. Везачу Эло ма-аллара, кхочушде дерриг а. Хьовсалаш, аса тӀедуьллу шуна иза».</verse>
				<verse number="9">Иштта, ЮшаӀа дӀа а бахийтина, ГӀай-гӀалин малхбузерчу агӀор, Бетална а, ГӀайна а юккъехь, кӀело йира исраилхоша. ЮшаӀ цу буса халкъана юкъахь дӀавижира.</verse>
				<verse number="10">Ӏуьйранна хьалххе хьала а гӀаьттина, тӀемалошка хьожуш чекхвелира ЮшаӀ. Иза а, исраилхойн къаной а, халкъана хьалха а бевлла, ГӀай-гӀалина тӀебахара.</verse>
				<verse number="11">ТӀемалой, ЮшаӀаца дӀа а бахана, гӀалина гергахьа баьхкира. ГӀай-гӀалин къилбаседехьа йолчу агӀор меттамотт хӀоттийра ЮшаӀа. ГӀалина а, меттаматтана а юккъехь тогӀи яра.</verse>
				<verse number="12">Хьалххе пхи эзар стаг Бетална а, ГӀай-гӀалина а юккъехь кӀелоне ховшийнера цо. Уьш ГӀай-гӀалин малхбузерчу агӀор бара.</verse>
				<verse number="13">ТӀемалоша шайн меттигаш дӀалаьцнера: гӀалина къилбаседерчу агӀор хӀоттийна меттамотт болчохь а, гӀалина малхбузерчу агӀор кӀело йиначохь а. Цу буса тогӀи чу веара ЮшаӀ.</verse>
				<verse number="14">И дерриг шена гича, ГӀай-гӀалин паччахь, Ӏуьйранна хьалххе хьала а гӀаьттина, гӀаларчу божаршца исраилхошна дуьхьал тӀаме аравелира. Иза а, цуьнан эскар а Ӏариба-тогӀина уллохь йолчу хьалхалерчу метте деара. ГӀалина тӀехьа кӀело йинийла ца хаьара паччахьна.</verse>
				<verse number="15">ЮшаӀ а, исраилхой а, цара шаьш эшийча санна, яьсса аре йолчухьа дӀабевдира.</verse>
				<verse number="16">ГӀалахь болчу массо а божаршка схьакхайкхинера, исраилхошна тӀаьхьадовла аьлла. ЮшаӀана тӀаьхьауьдуш, гӀалина генабевлира уьш.</verse>
				<verse number="17">ГӀай-гӀалахь а, Беталахь а цхьа а боьрша стаг ца висира исраилхошна тӀаьхьавалаза. Шайн гӀала схьайиллина йитира цара, мостагӀашна тӀаьхьа а бевлла.</verse>
				<verse number="18">ТӀаккха Везачу Эло элира ЮшаӀе: «Хьайн карахь болу гоьмукъ ГӀай-гӀалина тӀехьажабе, Ас хьан кара дӀало иза». Шен карахь болу гоьмукъ гӀалина тӀехьажийра ЮшаӀа.</verse>
				<verse number="19">Цо куьг хьала-ма-айи, кӀелонехь Ӏаш болу исраилхой, сихонца хьала а лилхина, гӀалехьа дӀахьаьвдира. ГӀала схьа а лаьцна, цунах цӀе тесира цара.</verse>
				<verse number="20">Юхахьаьвсинчу ГӀай-гӀалин божаршна шайн гӀалина тӀера стигала кхаччалц хьалаоьху кӀур гира. ХӀинца цхьанхьа а бовда меттиг яцара церан — я хьалха а, я тӀехьа а, хӀунда аьлча яьссачу арене бевдда боьлху исраилхой, юха а бирзина, царна тӀелетира.</verse>
				<verse number="21">ЮшаӀ а, берриг исраилхой а, кӀело йиначара гӀала дӀалацар а, стигала хьалаоьху кӀур а гина, юха а бирзина, ГӀай-гӀалин божарий хӀаллакбан буьйлабелира.</verse>
				<verse number="22">ГӀалахь болу исраилхой а царна дуьхьал арабевлира. Шина а агӀор болчу шайн мостагӀашна юккъехь бисира ГӀай-гӀалин божарий. Ведда а, висна а цхьа а ца волуьйтуш, уьш берриш а хӀаллакбира исраилхоша.</verse>
				<verse number="23">Ткъа ГӀай-гӀалин паччахь, схьа а лаьцна, вен ца вуьш, ЮшаӀана тӀе валийра.</verse>
				<verse number="24">ГӀай-гӀалин божаршна тӀаьхьа а бевлла, яьссачу арахь, царах цхьа а дийна ца вуьтуш, шаьш уьш массо а вийча, исраилхой гӀали чу юхабирзира. Цу чохь мел долу адам а дийра цара.</verse>
				<verse number="25">Цу дийнахь вийна верриг а ГӀай-гӀалин вахархо шийтта эзар вара — боьрша нах а, зударий а.</verse>
				<verse number="26">Гоьмукъ карахь а болуш, ша хьалаайина куьг охьа ца дахийтира ЮшаӀа, ГӀай-гӀалин массо а вахархо хӀаллакваллалц.</verse>
				<verse number="27">Даьхни а, гӀали чуьра схьаэцна хӀонс а шайна юкъахь йийкъира исраилхоша, Везачу Эло ЮшаӀана тӀе-ма-диллара.</verse>
				<verse number="28">ГӀай-гӀала яга а йина, цунах саьлнаш йира ЮшаӀа. Таханлерчу дийне кхаччалц иштта йохийна Ӏуьллуш ю и гӀала.</verse>
				<verse number="29">ГӀай-гӀалин паччахь, дитта тӀе хьала а оьллина, сарралц кхазийтира ЮшаӀа. Малх чубузучу хенахь паччахьан дакъа, дитта тӀера охьа а даккхийтина, гӀалин кевне охьакхоссийтира цо. Цул тӀаьхьа, докъана тӀе тӀулгаш а кхиссийтина, йоккха оьла яйтира. Иза хӀинца а йолуш ю.</verse>
				<verse number="30">Юха исраилхойн Везачу Далла лерина сагӀа доккху меттиг кечйира ЮшаӀа Ӏейбал-лам тӀехь.</verse>
				<verse number="31">Везачу Элан ялхочо Мусас исраилхошна тӀе-ма-диллара, товрат-хьехам тӀехь болчу шен тептар тӀехь цо яздина ма-хиллара, кечйинера и меттиг, аьчка гӀирсаца кегдазчу тӀулгех йина а йолуш. Цу тӀехь Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш дехира.</verse>
				<verse number="32">Мусан товрат-хьехамна тӀера дешнаш яздира ЮшаӀа цу тӀулгаш тӀехь исраилхошна хьалха.</verse>
				<verse number="33">Берриг исраилхой а, церан къаной а, тхьамданаш а, кхелахой а цхьаьна, Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказна шина агӀор динан дай болчу, тӀорказ лелочу левихошна дуьхьал дӀахӀиттира. Царна юкъахь тӀебаьхкина нах а, шайн схьабовларехь исраилхой берш а бара. Халкъан цхьа ах Герзим-ломана дуьхьал, ткъа важа ах Ӏейбал-ломана дуьхьал дӀахӀоьттира, хьалха Везачу Элан ялхочо Мусас Исраилан халкъ декъалдан тӀе-ма-диллара.</verse>
				<verse number="34">Юха ЮшаӀа дӀадийшира товрат-хьехаман дерриг а дешнаш, декъалвар а, неӀалт кхайкхор а чу а лоцуш, товрат-хьехаман тептар тӀехь иза яздина ма-хиллара.</verse>
				<verse number="35">Дерриге а Мусас тӀедиллинчунна юкъара цхьа дош а ца дисира ЮшаӀа берриг а исраилхошна хьалха дешаза. Халкъана юкъахь, божарел сов, зударий а, бераш а, исраилхошна юкъахь Ӏаш болу тӀебаьхкина нах а бара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="9">
				<verse number="1">И хилларг Йордан-хил дехьарчу, малхбузерчу агӀор мел болчу паччахьашна хезира. Лаьмнаш тӀера а, нийсачу арара а, Дуьненаюккъерачу хӀордан берда тӀера а, Ливануна уллора а хьетахойн а, эмархойн а, канаӀанхойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а паччахьаш</verse>
				<verse number="2">цхьаьна гулбелира ЮшаӀана а, исраилхошна а дуьхьал тӀаме бовла.</verse>
				<verse number="3">Амма ГавӀон-гӀалин бахархой, Ерихон а, ГӀай а гӀаланашна ЮшаӀа динарг а хезна,</verse>
				<verse number="4">4-5 хӀиллане бевлира. Царах масех стаг генарчу махкара богӀу геланчаш санна кечвелира, эттӀа бедарш а, тишъелла, йоманаш летийна мачаш а юьйхина. Шайн варрашна тӀе тишделла галеш а, йоманаш летийна пӀаьлдигаш а дехкира цара. Шайца схьаэцна бепиг декъа а, матардоьлла а дара церан.</verse>
				<verse number="5">***</verse>
				<verse number="6">Галгал олучу меттехь болчу исраилхойн меттаматте а баьхкина, цара ЮшаӀе а, исраилхошка а элира: «Тхо вуно генарчу махкара даьхкина, тхоьца барт бахьара аша».</verse>
				<verse number="7">Амма исраилхоша элира хьаьвихошка: «Шу тхуна юххехь Ӏаш хила а мега. Оха муха бийр бу шуьца барт?»</verse>
				<verse number="8">Цу наха ЮшаӀе элира: «Тхо хьан леш ду». ЮшаӀа цаьрга хаьттира: «Шу муьлш ду? Мичара даьхкина шу?»</verse>
				<verse number="9">Цара жоп делира: «Вуно генарчу махкара баьхкина хьан леш хьан Везачу Делан дуьхьа, хӀунда аьлча тхуна хезна Цуьнан сийлаллех, Цо Мисар-махкахь динчух лаьцна а</verse>
				<verse number="10">Иштта тхуна хезна Йордан-хил дехьарчу, малхбалерчу агӀонера эмархойн шина паччахьна — Хьешбон-гӀалин паччахьна Сихьонна а, Ӏаштаратехь Ӏаш хилла волчу Башанан паччахьна ӀовгӀина а динчух лаьцна а.</verse>
				<verse number="11">Тхан къаноша а, тхан махкара массо а бахархоша а элира тхоьга: „Новкъахь шайна даа бепиг схьа а эций, царна дуьхьал а гӀой, дӀаала цаьрга: ‘Тхо шун леш ду, тхоьца барт бахьара аша’“.</verse>
				<verse number="12">ХӀара бепиг оха тхайн цӀеношкара, довха а долуш, схьаэцна ду шу долчу догӀучу дийнахь, ткъа хӀинца иза дакъа а делла, матар а доьлла.</verse>
				<verse number="13">Оха чагӀар чудуттуш керла хилла долу пӀаьлдигаш хӀинца эттӀа. ХӀара тхан бедарш а, мачаш а, беха некъ оха барна, тишъелла».</verse>
				<verse number="14">Исраилхоша схьаийцира цаьргара кхача, амма Везачу Элах дага ца бевлира уьш цу хьокъехь.</verse>
				<verse number="15">Цаьрца машаран барт а бина, царна бохам бийр бац аьлла, чӀагӀо йира ЮшаӀа. Исраилхойн тхьамданаша а чӀагӀо йира царна.</verse>
				<verse number="16">И барт бина кхо де даьлча, исраилхошна хиира, и нах шайн лулахой буйла а, уьш шайна уллохь Ӏаш буйла а.</verse>
				<verse number="17">ХӀунда аьлча новкъа бевлла боьлху исраилхой кхозлагӀчу дийнахь церан гӀаланашка кхечира. Цу гӀаланийн цӀераш яра: ГавӀон, Капира, Баировт, Кхиръят-ЯӀарим.</verse>
				<verse number="18">Амма исраилхоша хӀаллак ца беш битира цигара нах, шайн тхьамданаша исраилхойн Везачу Делан цӀарах царна чӀагӀо йина дела. И хӀума бахьана долуш, шайн тхьамданашна хамталлаш еш бара исраилхой.</verse>
				<verse number="19">Берриге а тхьамданаша халкъе элира: «Вай исраилхойн Везачу Делах чӀагӀо йина царна, цундела царах куьг Ӏотта йиш яц вайн.</verse>
				<verse number="20">Ткъа царна вай хӀара дийр ду: уьш дийна буьтур бу вай, царна йина чӀагӀо бахьанехь ваьшна таӀзар ца хилийта».</verse>
				<verse number="21">Тхьамданаша кхин а элира: «Баха бита уьш, амма вайн халкъана дечиг доккхуш а, хи кхоьхьуш а хир бу уьш гуттар а». Тхьамданаша аьлларг дира исраилхоша.</verse>
				<verse number="22">Хьаьвихой тӀе а кхайкхина, ЮшаӀа элира: «Тхо ле хӀунда дира аша: „Тхо шуна вуно генахь Ӏаш ду“, — аьлла, шу-х тхуна уллохь дехаш ду?</verse>
				<verse number="23">Аша харцдерг дийцарна, неӀалт хир ду шуна! Массо а хенахь леш хир ду шу, сан Делан цӀенна дечиг а доккхур ду аша, хи а кхоьхьур ду!»</verse>
				<verse number="24">Цара ЮшаӀана жоп делира: «Хьан лешна хезнера, Шен ялхочуьнга Мусага хьан Везачу Дала, хӀара дерриг латта шуна дӀа а ло, цу тӀехь Ӏаш болу берриг а бахархой шуна хьалха хӀаллак а бе аьлла, омра дина бохуш. Цундела, аша тхаьш дайарна кхоьруш, дина оха и гӀуллакх.</verse>
				<verse number="25">ХӀинца тхо хьан карахь ду. Хьайна бакъахьа а, нийса а хеттарг тхуна дер-кх ахьа».</verse>
				<verse number="26">ЮшаӀа хӀара дира: цо хьаьвихой исраилхойн куьйгех кӀелхьарбехира, цара уьш хӀаллак ца бира.</verse>
				<verse number="27">Цу дийнахь ЮшаӀа царна тӀедиллира, дерриг а Исраилан халкъана а, Везачу Элан сагӀа доккхучу кхерчана а лерина дечиг даккхар а, хи кхехьар а. И сагӀа доккху кхерч Везачу Эло хоржучу меттигехь хир бу. Таханлерчу дийне кхаччалц иштта болх бо цара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="10">
				<verse number="1">ЮшаӀа, ГӀай-гӀала схьа а яьккхина, иза йохийна, Ерихон-гӀалина а, цуьнан паччахьна а диннарг ГӀай-гӀалина а, цуьнан паччахьна а дина аьлла, хезира Ярушалайман паччахьна Адани-Цадакхна. Иштта цунна хезира, ГавӀонан бахархой, исраилхошца барт а бина, царна юкъахь Ӏаш бу аьлла.</verse>
				<verse number="2">Иза хезча, паччахь чӀогӀа кхеравелира, хӀунда аьлча шена тӀехь паччахьо куьйгалла деш йолу муьлхха а гӀала санна, ГавӀон йоккха гӀала яра. Иза ГӀай-гӀаланал а йоккха яра, цуьнан бахархой майра нах а бара.</verse>
				<verse number="3">Цундела Ярушалайман паччахьо Адани-Цадакха Хьевронан паччахь ХӀохӀам волчу а, Ярмутан паччахь Париам волчу а, Лахишан паччахь ЯпияӀ волчу а, ӀегӀлонан паччахь Дибар волчу а хьадалчаш бахийтира хабар эцна:</verse>
				<verse number="4">«Со волчу а дуьйлий, ГавӀон-гӀала хӀаллакьян гӀо де суна, цо ЮшаӀаца а, исраилхошца а барт барна».</verse>
				<verse number="5">Вовшах а кхетта, эмархойн пхи паччахь: Ярушалайман а, Хьевронан а, Ярмутан а, Лахишан а, ӀегӀлонан а паччахьаш а, церан эскарш а, меттамотт дӀа а хӀоттийна, ГавӀон-гӀалина го а бина, цунна дуьхьал тӀом бан кечбелира.</verse>
				<verse number="6">ГавӀонан бахархоша исраилхойн меттамотт лаьттачу метте, Галгала, ЮшаӀ волчу хьадалчаш бахийтира цуьнга ала: «Хьайн леш дӀа ма тасахьара ахь! Тхо долчу сихха схьа а волий, тхо кӀелхьардахахьа! ГӀо дехьа тхуна! Гунаш долчуьра эмархойн массо а паччахь ву тхуна тӀелата кечвелла!»</verse>
				<verse number="7">ЮшаӀ а, цуьнца дерриг эскар а, шайна юккъехь уггар майра тӀемалой а болуш, Галгалара аравелира.</verse>
				<verse number="8">Везачу Эло ЮшаӀе элира: «Ма кхера царах, Ас хьан кара дӀабелла уьш: хьуна дуьхьало ялур яц цаьрга цхьаьнгге а».</verse>
				<verse number="9">Буьйсанна сахиллалц Галгалара схьаихна волу ЮшаӀ цӀеххьана тӀелетира эмархошна.</verse>
				<verse number="10">Исраилхошна хьалха эмархой бохийтина, церан дегнаш чу кхерам тесира Везачу Эло. Исраилхойн эскаро ГавӀонехь дукха мостагӀий хӀаллакбира. Юха, царна тӀаьхьабевлла, Байт-Хьорон цӀе йолчу лам тӀе боьдучу новкъахула дӀабахара уьш. Ӏазекхи а, Макхеда а цӀераш йолчу меттигашка кхаччалц, хӀаллакбеш, дӀабигира цара эмархой.</verse>
				<verse number="11">Исраилхойх бевдда, Байт-Хьорон-лам тӀера эмархой чубевдда боьлхучу хенахь, Везачу Эло стигалара даккхийчу буьртигех йолу къора йиттира царна тӀе, Ӏазекхи уьш дӀакхаччалц. Оцу къоран буьртигаша байинарш алсамо бара, исраилхоша шайн таррашца байиначарал.</verse>
				<verse number="12">Цу дийнахь ЮшаӀ Везачу Эле кхайкхира. Эмархой исраилхойн кара а белла, ГавӀонехь Везачу Эло цаьрга уьш хӀаллакбайтина де дара иза. ЮшаӀа исраилхошна хьалха элира: «Малх, ГавӀонана тӀехула сацалахь, бутт — Айлон-тогӀи тӀехула!»</verse>
				<verse number="13">Малх а, бутт а сецна лаьттира, халкъо шен мостагӀашна бекхам баллалц. Яшаран тептар тӀехь яздина дац ткъа иза: «Малхбузехьа дӀабаха сих ца луш, стигална юккъехь лаьттира малх цхьана дийнахь гергга»?</verse>
				<verse number="14">Везачу Эло адамо бохучуьнга иштта ладоьгӀна де я хьалха а, я цул тӀаьхьа а хилла дацара, хӀунда аьлча Веза Эла Исраилан халкъан дуьхьа тӀом беш вара.</verse>
				<verse number="15">Цул тӀаьхьа ЮшаӀ а, исраилхойн берриг а тӀемалой а Галгала, шайн меттамотт болчу, юхабирзира.</verse>
				<verse number="16">И пхи паччахь, вада а ведда, Макхедехь йолчу хьеха чохь къайлаваьллера.</verse>
				<verse number="17">ЮшаӀе хаам кхечира: «Пхи паччахь карийна, уьш Макхедехь йолчу хьеха чохь дӀалевчкъина бу», — аьлла.</verse>
				<verse number="18">Цо элира: «Хьехан берте даккхий тӀулгаш тӀе а карчадай, и ларъян нах хӀиттабе.</verse>
				<verse number="19">Ткъа шу, совца а ца совцуш, мостагӀашна тӀаьхьадовлий дӀагӀо. Церан эскаран тӀаьхьара дакъош хӀаллакде, мостагӀий шайн гӀаланашка дӀа ма бахийта. Шун Везачу Дала шун кара схьа ма белла уьш».</verse>
				<verse number="20">ЮшаӀа а, исраилхойн тӀемалоша а, мостагӀашна доккха зе а деш, уьш хӀаллакбинчул тӀаьхьа, царах биснарш чӀагӀйина йолчу гӀаланашка бевдира.</verse>
				<verse number="21">Исраилхойн дерриг а эскар ЮшаӀ волчу, Макхедана уллохь лаьттачу шайн меттаматте, толамца юхадирзира. Исраилхошна дуьхьал дош ала хӀуттуш цхьа а вацара.</verse>
				<verse number="22">Юха ЮшаӀа элира: «Хьехана чувоьду меттиг схьа а ястий, цу чуьра пхи паччахь со волчу схьавалаве».</verse>
				<verse number="23">Цо ма-бохху дира: хьеха чуьра пхи паччахь схьавалийра: Ярушалайман а, Хьевронан а, Ярмутан а, Лахишан а, ӀегӀлонан а паччахьаш.</verse>
				<verse number="24">Шена тӀе и паччахьаш схьабалийча, массо а исраилхочуьнга схьа а кхайкхина, шеца леллачу тӀемалойн хьаькамашка ЮшаӀа элира: «ТӀе а гӀой, шайн когаш цу паччахьийн вортанаш тӀе баха». Цара, тӀе а бахана, паччахьийн вортанаш тӀе когаш бехкира.</verse>
				<verse number="25">ЮшаӀа элира цаьрга: «Кхера а ма кхера, доха а ма доха, чӀагӀлой а, доьналла долуш а хила. Аша тӀом бен болчу шун массо а мостагӀашца иштта хир ву Веза Эла».</verse>
				<verse number="26">Паччахьаш, байа а байина, пхеа дитта тӀехь хьалаоьхкира ЮшаӀа. Сарралц цу дитташ тӀехь кхезира уьш.</verse>
				<verse number="27">Малх чубузучу хенахь ЮшаӀа омра а дина, дитташ тӀера схьа а даьхна, уьш дӀалевчкъина хиллачу хьеха чу кхиссира паччахьийн декъий. Хьехана дуьхьал даккхий тӀулгаш дехкира. Таханлерчу дийне кхаччалц цигахь Ӏохкуш ду уьш.</verse>
				<verse number="28">Оцу дийнахь Макхеда-гӀала схьаяьккхира ЮшаӀа, туьра кӀел яхийтира цо иза а, цуьнан паччахь а. Дерриг а цу гӀали чуьра са мел долу адам хӀаллакдира цо: ведда а, висна а, цхьа а дийна ца витира. Макхедан паччахьна а Ерихонан паччахьна диннарг дира.</verse>
				<verse number="29">Цул тӀаьхьа исраилхошца цхьаьна Макхедара Либна-гӀала йолчу дӀа а вахана, цунна дуьхьал тӀом бира ЮшаӀа.</verse>
				<verse number="30">Везачу Эло исраилхойн кара схьаелира и гӀала а, цуьнан паччахь а. Цу чуьра са мел долу адам туьраца хӀаллакдира ЮшаӀа: ведда а, висна а, цхьа а дийна ца витира. ГӀалин паччахьна Ерихонан паччахьна диннарг дира.</verse>
				<verse number="31">Юха исраилхошца цхьаьна Либнера Лахиш-гӀала а веана, цунна гонах меттамотт а хӀоттийна, гӀалина дуьхьал тӀом бира ЮшаӀа.</verse>
				<verse number="32">Везачу Эло Лахиш исраилхойн кара схьаелира, шолгӀачу дийнахь иза схьаяьккхира цара. Цу чохь мел долу садолу адам туьраца хӀаллакдира исраилхоша, Либнехь шаьш ма-дарра.</verse>
				<verse number="33">Лахиш-гӀалина гӀо дан ГӀазаран паччахь ХӀорам веара, амма ЮшаӀа хӀаллаквира иза а, цуьнан эскар а. Ведда а, висна а, цхьа а царах дийна ца витира цо.</verse>
				<verse number="34">Цул тӀаьхьа исраилхошца цхьаьна Лахишара ӀегӀлон-гӀала веара ЮшаӀ. ГӀалина гонах меттамотт а хӀоттийна, цунна дуьхьал тӀом бира цара.</verse>
				<verse number="35">Цу дийнахь иза схьа а яьккхина, цу чохь са мел долу адам туьраца хӀаллакдира исраилхоша, Лахишехь шаьш ма-дарра.</verse>
				<verse number="36">ЮшаӀ а, исраилхой а, ӀегӀлонара дӀа а бахана, Хьевроне баьхкира. Цигахь гӀалина дуьхьал тӀом бира цара.</verse>
				<verse number="37">ГӀала схьа а яьккхина, цуьнан паччахь а, гӀали чуьра са мел долу адам а, луларчу ярташкахь мел верг а туьраца хӀаллаквира исраилхоша. Цхьа а дийна ца витира цара. ӀегӀлон-гӀалина диннарг дира Хьевронна а: гӀала а йохийра, дерриг адам хӀаллак а дира.</verse>
				<verse number="38">Цул тӀаьхьа ЮшаӀ а, цуьнан эскар а, юха а дирзина, Дибар-гӀалина тӀе а деана, цуьнца тӀом бан хӀоьттира.</verse>
				<verse number="39">ГӀала а, цуьнан паччахь а, гонахара ярташ а, схьа а яьхна, туьра кӀел яхийтира цара. Дерриг а са мел долу адам хӀаллакдира: дийна цхьа а ца висира. Хьевронна а, цуьнан паччахьна а, Либнина а, цуьнан паччахьна а диннарг Дибарна а, цуьнан паччахьна а дира.</verse>
				<verse number="40">Акъареш тӀера а, НегӀаб цӀе йолчу яьссачу аренера а, лаьмнийн когашкара а, басенашкара а — массанхьара а мохк схьабаьккхира ЮшаӀа. Церан паччахьаш хӀаллакбира цо. Цхьа а са долу адам дийна ца дитира, исраилхойн Везачу Дала тӀе-ма-диллара.</verse>
				<verse number="41">Кхадеш-БарнаьӀара Ӏази-гӀала кхаччалц а, дерриг ГӀашан цӀе йолу латта а, ур-атталла ГавӀон-гӀалина тӀекхаччалц долу латта а схьадаьккхира ЮшаӀа.</verse>
				<verse number="42">Цкъа араваьлла, берриш и паччахьаш а, церан латтанаш а схьадехира ЮшаӀа, хӀунда аьлча исраилхойн Веза Дела Исраилан халкъехьа тӀом беш вара.</verse>
				<verse number="43">Цул тӀаьхьа ЮшаӀ а, берриш исраилхойн тӀемалой а Галгала, шайн меттамотт болчу, юхабирзира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="11">
				<verse number="1">Исраилхоша баьхначу толамех лаьцна шена хезча, Хьацор-гӀалин паччахьо Ябина шен хьадалчаш бахийтира Мадон-гӀалин паччахьна Ябабна а, Шимрон-гӀалин паччахьна а, Ахишапан паччахьна а,</verse>
				<verse number="2">къилбаседехьа лаьмнаш тӀехь Ӏаш болчу паччахьашна а, Ӏариба-тогӀи чохь Канаротана къилбехьа йолчу агӀор Ӏаш болчу а, лаьмнийн когашкахь а, малхбузехьа Напат-Дорехь а Ӏаш болчу паччахьашна а тӀе.</verse>
				<verse number="3">Цул сов, малхбалехьа а, малхбузехьа а Ӏаш болчу канаӀанхошна а, эмархошна а, хьетахошна а, перезахошна а, акъареш тӀехь Ӏаш болчу явсайхошна а, МицӀпа-кӀоштара Хьермон-ломан когашкахь Ӏаш болчу хьаьвихошна а тӀе бахийтира цо шен нах.</verse>
				<verse number="4">И паччахьаш а, церан эскарш а тӀамана арадевлира. ХӀордан берда тӀера гӀум санна, дукха бара уьш. Говраш а, гӀудалкхаш а яра цаьргахь ягар ца яллал дукха.</verse>
				<verse number="5">Шайн эскарш вовшах а тоьхна, Мером-хина уллохь меттамотт дӀахӀоттийра цу паччахьаша, исраилхошца тӀом бархьама.</verse>
				<verse number="6">Везачу Эло ЮшаӀе элира: «Ма кхера царах, кхана хӀоккху хенахь исраилхошка хӀаллакбойтур бу Аса уьш. Церан говрийн хьорзамаш а хедае, гӀудалкхаш а ягае».</verse>
				<verse number="7">ЮшаӀ а, цуьнан массо а тӀемало а, цӀеххьана Мером-хина йисте схьа а веана, тӀелетира царна.</verse>
				<verse number="8">Везачу Эло исраилхойн кара схьабелира мостагӀий. Исраилхоша хӀаллакбира уьш, ткъа биснарш, лаьхкина, сийлахьчу ЦӀаданна а, Мисрепат-Маймна а, малхбалехьа МицӀпа-тогӀина а тӀекхаччалц дӀабигира. Цхьа а дийна ца вуьтуш, массо а вийра исраилхоша.</verse>
				<verse number="9">Везачу Эло шега ма-аллара, дира ЮшаӀа дерриг а: церан говрийн хьорзамаш а хедийра, гӀудалкхаш а ягийра.</verse>
				<verse number="10">Цул тӀаьхьа, юха а вирзина, Хьацор-гӀала схьа а яьккхина, цуьнан паччахь вийра ЮшаӀа. (Хьалха Хьацор-гӀала массо а цу пачхьалкхийн уггар а нуьцкъала гӀала хилла.)</verse>
				<verse number="11">Цу гӀалахь мел верг туьра кӀел вахийтира цо, цхьа а стаг дийна ца вуьтуш. Хьацор а, ягийна, дӀаяьккхира.</verse>
				<verse number="12">Ерриг и гӀаланаш схьа а яьхна, церан паччахьаш туьраца байира ЮшаӀа, Везачу Элан ялхочо Мусас тӀе-ма-диллара.</verse>
				<verse number="13">Амма лаьттах йинчу лакхенашкахь йолу ерриг а гӀаланаш яга ца йира исраилхоша, ЮшаӀа ягийна йолу цхьа Хьацор йоцург.</verse>
				<verse number="14">Цу гӀаланашкахь караеана йолу ерриг хӀонс а, даьхни а шайна схьаийцира исраилхоша. Адамаш дерриш а хӀаллакдира, цхьа а са дийна ца дуьтуш.</verse>
				<verse number="15">Везачу Эло Шен ялхочунна Мусана тӀе-ма-диллара, Мусас а ЮшаӀана тӀедиллинера дан дезарг. ЮшаӀа и дерриг а кхочушдира: Везачу Эло Мусана тӀедиллинчух хӀумма а кхочушдаза ца дитира цо.</verse>
				<verse number="16">Иштта ЮшаӀа схьадаьхна долу латтанаш хӀорш дара: акъарехь а, ерриг а НегӀаб яьссачу аренгахь а долу латтанаш а, ГӀашанера дерриг латта а, малхбалехь долчу лаьмнийн когаш а, Ӏариба-тогӀи а, Исраилан лаьмнаш а, къилбаседехь долчу лаьмнийн когаш а,</verse>
				<verse number="17">СеӀирна тӀекхаччалц болчу Хьалакх-лома уллора, Хьермон-ломана лахахь йолу, Ливанун-тогӀи чуьра БаӀал-Гадана тӀекхаччалц долу латтанаш а. Церан массо а паччахьаш, схьа а лецна, хӀаллакбира цо.</verse>
				<verse number="18">Дуккха а хенахь цу паччахьашца тӀом бинера ЮшаӀа.</verse>
				<verse number="19">Исраилхошца машар бина цхьа а гӀала яцара, шена чохь хьаьвихой Ӏаш болу ГавӀон йоцург. Ерриш а тӀамца схьаяьхна яра уьш.</verse>
				<verse number="20">Везачу Элера дара, уьш, шайн дегнаш а чӀагӀдина, исраилхошна тӀамца дуьхьалбовлар. Исраилхойн и мостагӀий хӀаллакбархьама а, царах къинхетам цабархьама а динера Цо иза. Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара, хӀаллакбан безара уьш.</verse>
				<verse number="21">Цу хенахь акъареш тӀехь Ӏаш болу Ӏаьнакхахой хӀаллакбира ЮшаӀа: Хьеврон-гӀалина уллохь а, Дибар-гӀалина уллохь а, Ӏанаб-гӀалина уллохь а, ЯхӀудан а, Исраилан а дерриг а лаьмнаш тӀехь а. Церан гӀаланашца уьш берриш а хӀаллакбира цо.</verse>
				<verse number="22">Цхьа а Ӏаьнакхахо ца висира исраилхойн лаьтта тӀехь, Ӏази-гӀалаххьий, Гати-гӀалаххьий, Ашдод-гӀалаххьий бен.</verse>
				<verse number="23">Везачу Эло Мусага ма-аллара, дерриг а латта схьа а даьккхина, исраилхошна шайн тайпанашна юкъахь, дакъош а деш, декъа дӀаделира ЮшаӀа. Цул тӀаьхьа тӀамах садаьӀира лаьтто.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="12">
				<verse number="1">Йордан-хина тӀера малхбалехьа долу латта схьадаьккхинера исраилхоша. Арнон-хина тӀера Хьермон-лома тӀекхаччалц долу а, Ӏариба-тогӀи чуьра малхбалехьарчу агӀор долу а латта церан дара. И латта схьадаккхархьама исраилхоша хӀаллакбина паччахьаш хӀорш бу:</verse>
				<verse number="2">Хьешбонехь Ӏийна волу эмархойн паччахь Сихьон. ГалӀад-мехкан ах латта цо паччахьалла деш дара. Арнон-хина уллохь йолчу ӀаруӀер-гӀалина тӀера Ябокх-хина тӀекхаччалц бара цуьнан мохк. Цу хина юккъехула дара цуьнан Ӏамминхошца долу доза.</verse>
				<verse number="3">Ткъа иштта цо паччахьалла деш Ӏариба-тогӀи чуьра малхбалехьа долу латта а дара, Канарот-Ӏома тӀера Дуьрачу хӀорда тӀекхаччалц долу. Кхин а Байт-Яшимутана тӀера къилбехьа Пасги-лома тӀекхаччалц а дара цуьнан латта.</verse>
				<verse number="4">Башанан паччахь ӀовгӀа. Репахойн къомах тӀаьххьара вара иза. Цо паччахьалла деш яра Ӏаштарат а, ЭдреӀи а цӀераш йолу гӀаланаш.</verse>
				<verse number="5">Цуьнан долахь Хьермон-лам а, Салха-гӀала а, берриг а Башан-мохк а бара, гешурхойн а, маӀхахойн а латтанашна тӀекхаччалц. Хьешбонан паччахьан Сихьонан лаьтта тӀе кхаччалц болу ах ГалӀад-мохк а бара цуьнан.</verse>
				<verse number="6">Везачу Элан ялхочо Мусас а, исраилхоша а хӀаллаквира и ши паччахь. Раабанан а, Гадин а тӀаьхьенашна а, Маннашан ах тӀаьхьенна а шерет санна дӀаделлера Мусас цу паччахьийн латтанаш.</verse>
				<verse number="7">ЮшаӀа а, исраилхоша а Йордан-хина малхбузехьа долчу латтанаш тӀера паччахьаш хӀаллакбира. Ливанун тогӀи чохь йолчу БаӀал-Гад-гӀалина тӀера СеӀирна уллохь болчу Хьалакх-лома тӀекхаччалц дара и латтанаш. ЮшаӀа исраилхошна, церан тайпанашка хьаьжжина, дӀаделира уьш.</verse>
				<verse number="8">Царна юкъадогӀуш дара: акъарийн мохк а, малхбузехь долчу лаьмнийн когаш а, Ӏариба-тогӀи а, малхбалехь йолу басенаш а, къилбехь йолу яьсса аре НегӀаб а. ЮшаӀа а, исраилхоша а уьш схьаяххалц, цу меттигашкахь Ӏаш бара хьетахой а, эмархой а, канаӀанхой а, перезахой а, хьаьвихой а, явсайхой а.</verse>
				<verse number="9">Исраилхоша хӀаллакбина паччахьаш бара: Ерихонан паччахь, Бетал-гӀалина уллорачу ГӀай-гӀалин паччахь,</verse>
				<verse number="10">Ярушалайман паччахь, Хьевронан паччахь,</verse>
				<verse number="11">Ярмутан паччахь, Лахишан паччахь,</verse>
				<verse number="12">ӀегӀлонан паччахь, ГӀазаран паччахь,</verse>
				<verse number="13">Дибаран паччахь, Гадиран паччахь,</verse>
				<verse number="14">Хьормин паччахь, Ӏародан паччахь,</verse>
				<verse number="15">Либнин паччахь, Ӏадуламан паччахь,</verse>
				<verse number="16">Макхедан паччахь, Беталан паччахь,</verse>
				<verse number="17">Тапухьин паччахь, Хьепаран паччахь,</verse>
				<verse number="18">Апакхан паччахь, Лашаронан паччахь,</verse>
				<verse number="19">Мадонан паччахь, Хьацоран паччахь,</verse>
				<verse number="20">Шимрон-Мерионан паччахь, Ахишапан паччахь,</verse>
				<verse number="21">ТаӀнакан паччахь, МагӀиддан паччахь,</verse>
				<verse number="22">Кхедашан паччахь, Кармална уллохь йолчу ЯкхнаӀаман паччахь,</verse>
				<verse number="23">Напат-Дор волчохь волу Доран паччахь, Галгаларчу Гойиман паччахь,</verse>
				<verse number="24">Тирцин паччахь. Верриг а паччахь ткъе цхьайтта вара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="13">
				<verse number="1">ЮшаӀ, къан а велла, хене вирзича, Везачу Эло элира цуьнга: «Хьо, къан а велла, хене вирзина, ткъа дола даха дезаш хӀинца а дуккха а латтанаш ду.</verse>
				<verse number="2">Дуьсуш хӀара латтанаш ду: ПӀелаштаман а, Гешуран а ши мохк.</verse>
				<verse number="3">Мисар-махкана уллохь долчу Шихьор-хина тӀера къилбаседехьа йолчу Ӏекхран-гӀалина тӀекхаччалц ду церан латта, ткъа иза канаӀанхойн латта лоруш ду. Цунна чуйогӀу пӀелаштамхойн пхеа урхалчин гӀаланаш: Ӏази а, Ашдод а, Ашкхилун а, Гати а, Ӏекхран а. Ӏаваймхойн къомана тӀехь а толам баккха безаш бу.</verse>
				<verse number="4">Къилбехь долу дерриг а канаӀанхойн латта схьадаккха дезаш ду, цӀаданхойн долахь йолчу МеӀари-гӀали тӀера Апакх-гӀалина, эмархойн дозанна, тӀекхаччалц.</verse>
				<verse number="5">Ткъа иштта схьадаккхаза ду гебалхойн латта а, малхбалехьа болу берриг а Ливанун-мохк а, Хьермон-ломан къилбаседехь йолчу БаӀал-Гадана тӀера Хьамат-Ӏинна тӀекхаччалц болу.</verse>
				<verse number="6">Ливанун-махка тӀера Мисрепат-Маймална тӀекхаччалц лаьмнашкахь Ӏаш болу цӀаданхой исраилхошна хьалхара дӀалохкур бу Аса. И латта исраилхошна юкъахь, дакъош а деш, декъа, Аса хьайна тӀе-ма-диллара.</verse>
				<verse number="7">Исс тайпанна а, Маннашан ах тайпанна а юкъахь гуттаренна а дӀасадекъа иза».</verse>
				<verse number="8">Раабанан а, Гадин а тӀаьхьенаша а, Маннашан ах тӀаьхьено а Йорданал дехьа, малхбалехьа, шайн лаьттан дакъош Везачу Элан ялхо волчу Мусагара хьалха схьаэцнера.</verse>
				<verse number="9">Арнон-тогӀина йистехь йолчу ӀаруӀер-гӀалина тӀера цу тогӀина чохь йолчу гӀалина тӀекхаччалц долу латта а, Мейдебана тӀера Дибонна тӀекхаччалц йолу шера аре а церан яра.</verse>
				<verse number="10">Ткъа иштта эмархойн паччахьан Сихьонан ерриг а гӀаланаш а царна дӀаеллера. Хьешбон-гӀалахь паччахьалла деш Ӏийнера Сихьон, цуьнан латта Ӏамминхойн дозанна тӀекхаччалц Ӏуьллуш дара.</verse>
				<verse number="11">Цул сов, ГалӀад-мохк а, гешурхойн а, маӀхахойн а латтанаш а, Хьермон-лам а, Салха-гӀалина тӀекхаччалц болу Башан-мохк а,</verse>
				<verse number="12">Башан-махкахь йолчу Ӏаштаратехь а, ЭдреӀехь а паччахьалла динчу ӀовгӀин дерриг латта а дӀаделлера царна. Мусас хӀаллакбинчу а, лаьхкинчу а репахойн тӀаьххьара виснарг вара иза.</verse>
				<verse number="13">Амма исраилхоша Гешур а, МаӀха а мехкашкара бахархой дӀа ца лаьхкира. Таханлерчу дийне кхаччалц исраилхошна юкъахь Ӏаш бу уьш.</verse>
				<verse number="14">Левин тӀаьхьенна дакъа ца делира Мусас. Исраилан халкъан Везачу Далла деана сагӀанаш ду церан дакъа, Везачу Эло левихошка ма-аллара.</verse>
				<verse number="15">Раабанан тайпанах долчу хӀора гаранна латта делира Мусас:</verse>
				<verse number="16">Арнон-тогӀина йистехь йолу ӀаруӀер-гӀала а, цу тогӀина чохь йолу гӀала а, Мейдебана уллора ерриг шера аре а,</verse>
				<verse number="17">Хьешбон а, шерачу арахь йолу ерриг цуьнан гӀаланаш а: Дибон а, Бамот-БаӀал а, Байт-БаӀал-МеӀон а,</verse>
				<verse number="18">ЯхӀац а, Кхадимут а, МейпаӀат а,</verse>
				<verse number="19">Кхиръятим а, Сибма а, тогӀи чуьра гу тӀехь йолу Царати-Шахьар а,</verse>
				<verse number="20">Байт-ПаӀар а, Пасга-ломан басенаш а, Байт-Яшимут а.</verse>
				<verse number="21">Цул сов, шерачу арахь йолу ерриг гӀаланаш а, Хьешбонехь олалла динчу эмархойн паччахьан Сихьонан берриг мохк а. Мусас хӀаллаквинера и паччахь а, маданхойн баьччанаш а: Ивай а, Рекхам а, Цура а, Хьор а, РебаӀ а. Цу махкахь Ӏийна болу а, Сихьонца бертахь хилла болу а элий бара уьш.</verse>
				<verse number="22">Исраилхоша байинчарна юкъахь БеӀаран кӀант, пал тосуш волу БалиӀам, вара.</verse>
				<verse number="23">Йордан-хица дара Раабанан тайпанан декъан доза. Цу тайпанах долчу гаранашна дӀаелла гӀаланаш а, цаьрца йолу ярташ а яра уьш.</verse>
				<verse number="24">Иштта Гадин тайпанах долчу хӀора гаранна а латта делира Мусас.</verse>
				<verse number="25">Церан долахь яра ЯӀзир-гӀала а, ГалӀад-махкара массо а гӀала а, Рабба-гӀалина уллохь йолчу ӀаруӀер-гӀалина тӀекхаччалц долу Ӏамминхойн ах латта а,</verse>
				<verse number="26">Хьешбонна тӀера Рамат-МицӀпина а, Бетанаймна а тӀекхаччалц а, Махьанаймна тӀера Дибаран дозанна тӀекхаччалц а долу латтанаш.</verse>
				<verse number="27">Йордан-тогӀи чохь йолу гӀаланаш: Байт-ХӀарам а, Байт-Нимра а, Сакхат а, Цапун а. Цул сов, Хьешбонан паччахьан Сихьонан пачхьалкхан кхин долу дакъа (иза Йордан-тогӀин малхбалехьа долу латта ду, Канарот-Ӏомана тӀекхаччалц долу).</verse>
				<verse number="28">Иштта гӀаланаш а, ярташ а кхаьчнера Гадин тайпанах долчу гаранашна. Схьадаьккхинчу лаьтта тӀера церан дакъош дара уьш.</verse>
				<verse number="29">Маннашан эха тайпанах долчу гаранашна а деллера Мусас латта.</verse>
				<verse number="30">Церан дакъа дара: Махьанайм-гӀали тӀера дуьйна берриг а Башан-мохк, Башанан паччахьан ӀовгӀин дерриг а латта, шена чуйогӀуш Яиран кхузткъа юрт а йолуш.</verse>
				<verse number="31">Ткъа ах ГалӀад-мохк а, Башанан паччахь ӀовгӀа чохь Ӏийна Ӏаштарат а, ЭдреӀи а гӀаланаш а Маннашан кӀентан Макиран кӀенташна дӀаеллера. Макиран кӀентех шайн гаранашца эханна кхаьчнера уьш.</verse>
				<verse number="32">Ерихонна малхбалехьа, Йорданан тогӀи чуьра муабахойн аренашкара дерриг а латта дара Мусас царна делларг.</verse>
				<verse number="33">Левин тӀаьхьенна Мусас дакъа ца делира: Исраилан халкъан Веза Дела Ша ду церан дакъа, Цо цаьрга ма-аллара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="14">
				<verse number="1">ХӀара ду исраилхошна юкъахь Йордан-хина малхбузехь болу КанаӀан-мохк бекъарх долу дийцар. Мохк боькъуш, цунах царна дакъош дира динан дас ЭлиӀазара а, Нунин кӀанта ЮшаӀа а, исраилхойн тайпанашкахь болчу доьзалийн тхьамданаша а.</verse>
				<verse number="2">Везачу Эло Мусагахула тӀе-ма-диллара, кхаж а тосуш, дийкъира цара иза исс тайпанна а, Маннашан эха тайпанна а.</verse>
				<verse number="3">Шина тайпанна а, Маннашан тайпанан вукху эханна а Мусас Йорданал дехьа, малхбалерчу агӀор, дакъа деллера, ткъа Левин тайпанах болчарна царна юкъахь дакъа ца деллера.</verse>
				<verse number="4">Юсупан кӀентех ши тайпа схьадаьллера: Маннашан а, Эпрайман а. Ткъа Левин тӀаьхьенашна латта ца деллера, царна гӀаланаш еллера, бежанаш а, жаш а лело меттигаш а луш.</verse>
				<verse number="5">Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара, дира исраилхоша дерриг а, шаьш лаьттан дакъош доькъуш.</verse>
				<verse number="6">ЯхӀудан тӀаьхьенах болу нах баьхкира Галгале ЮшаӀ волчу. Епунин кӀанта Килаба, кхеназхочо, элира цуьнга: «Хьуна хаьа Везачу Эло Делан стаг волчу Мусага Кхадеш-БарнаьӀахь хьох а, сох а лаьцна аьлларг.</verse>
				<verse number="7">Сан шовзткъа шо дара, Везачу Элан ялхочо Мусас Кхадеш-БарнаьӀара со лаьтте хьажа вохуьйтучу хенахь. Аса, юха а веана, сайна хеташ дерг дӀадийцира цуьнга.</verse>
				<verse number="8">Соьца баьхкинчу вежарша нехан дегнашка кхерам тесира, ткъа со сайн Везачу Дала бохучунна тӀера ца велира.</verse>
				<verse number="9">Цу дийнахь Мусас чӀагӀо йира суна: „Хьан ког тӀебаьлла латта хьан а, хьан берийн а дакъа хир ду гуттаренна а, хӀунда аьлча сан Везачу Дала бохучунна тӀера ца вели хьо“, — аьлла.</verse>
				<verse number="10">Иштта Везачу Эло дийна витина со, Цо Ша ма-аллара. Шовзткъе пхи шо ма даьлла Везачу Эло Мусага и дош аьллачул тӀаьхьа. Цу хенахь исраилхой яьссачу аренгахула лелаш бара. Хьажал соьга! ХӀинца сан дезткъе пхи шо ду.</verse>
				<verse number="11">Хьалха Мусас со вохуьйтучу хенахь санна, хӀинца а гӀора долуш ву со. ХӀетахь хилла ницкъ бу соьгахь хӀинца а тӀом бан а, кхин гӀуллакх дан а.</verse>
				<verse number="12">Ткъа хӀинца Везачу Эло цу дийнахь суна лур ю аьлла йолу акъареш схьало. Хьуна хезира хӀетахь, цигахь Ӏаш Ӏаьнакхан кӀентий бу, церан гӀаланаш яккхий а, чӀагӀйина а ю аьлла. Амма Везачу Эло гӀо а дина, ас арабаха мега уьш, Везачу Эло ма-аллара».</verse>
				<verse number="13">Везачу Эле Епунин кӀант Килаб декъалвар а дехна, Килабе дола дайта Хьеврон-гӀала дӀаелира ЮшаӀа.</verse>
				<verse number="14">Хьеврон хӀинца а кхеназхо волчу Епунин кӀентан Килабан тӀаьхьенна дакъа хилла йисна, хӀунда аьлча иза исраилхойн Везачу Дала бохучунна тӀера ца ваьллера.</verse>
				<verse number="15">Хьевронан цӀе хьалха Кхиръят-АрбаӀ хилла. (АрбаӀ цӀе йолуш Ӏаьнакхахойн тӀаьхьенашна юкъахь цхьа сийлахь стаг хилла.) Цул тӀаьхьа тӀамах садаьӀира лаьтто.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="15">
				<verse number="1">ЯхӀудан тайпанна кхаьчна дакъа цуьнан гаранашна юкъахь дийкъира. Церан лаьтта тӀехь къилбехьа йолу яьсса аре Цин Эдом-махкаца доза лоцуш яра.</verse>
				<verse number="2">Церан къилбехь долу доза Дуьрачу хӀордан къилбехь болчу берда тӀехула долалуш дара.</verse>
				<verse number="3">Къилбехь Акхрабайм-Ӏинна тӀе а дахана, Цин цӀе йолчу яьссачу аренехула чекх а даьлла, Кхадеш-БарнаьӀа-гӀалин къилбехьарчу агӀонна тӀе а дахана, Хьацрани-гӀалех тӀех а даьлла, цигара дӀа Адар-гӀала йолчу хьала а даьлла, КхаркхаӀ-гӀала йолчухьа дӀахьаьвзаш дара и доза.</verse>
				<verse number="4">Цул тӀаьхьа, Ӏацмун-гӀаланах тӀех а даьлла, Мисар-мехкан дозанехь долчу хица дӀа а дахана, Дуьненаюккъерчу хӀорда тӀе доьдура иза. Цигахь чаккхе яра цуьнан. Иштта дара ЯхӀудан тӀаьхьенан къилбехь долу доза.</verse>
				<verse number="5">Малхбалехь доза Дуьрачу хӀордаца дара, Йордан-хи цунах дӀакхетачу метте кхаччалц. Къилбаседехь долу доза Йордан-хи Дуьрачу хӀордах кхетачохь долалуш дара.</verse>
				<verse number="6">Цул тӀаьхьа Байт-ХьагӀла-гӀалина тӀе а дахана, юха Байт-Ӏариба-гӀалин къилбаседехьарчу агӀонна уллохула доьдура иза. КхидӀа БохӀанан тӀулга тӀе доьдура иза. (БохӀан Раабанан кӀант хилла.)</verse>
				<verse number="7">Цигара Ӏахур-тогӀи чухула Дибарна тӀе а дахана, къилбаседехьа а дирзина, Галгал-гӀалина тӀе доьдура доза. Хинан къилбехьара агӀор йолчу Адуммим-Ӏинна дуьхьал лаьтташ яра и гӀала. КхидӀа, Ӏейн-Шемешан хиш тӀе дӀа а дахана, Ӏейн-РегӀалахь чекхдолуш дара иза.</verse>
				<verse number="8">Цул тӀаьхьа, Бен-ХӀинам цӀе йолчу тогӀи чухула Явсай-гӀалин (я кхечу тайпана Ярушалайман) къилбехьарчу агӀорахула дӀа а дахана, ломан буьххье хьаладолура иза. И лам ХӀинаман тогӀина дуьххьал малхбузехьа бара, цул сов, репахойн тогӀин йистехь къилбаседехьа а бара.</verse>
				<verse number="9">Цу ломан буьххьера доза Нептухь олучу хина тӀедоьрзуш дара, ткъа цигара Ӏепрон-лома тӀерачу гӀаланаш тӀе доьдура. Юха БаӀала-гӀалина тӀедоьрзура иза (тахана цу гӀалин цӀе Кхиръят-ЯӀарим ю).</verse>
				<verse number="10">БаӀалина тӀера хӀорда тӀе а доьрзий, цигара СеӀир-лам тӀе доьдура доза. Цул тӀаьхьа ЯӀарайм-ломан (хӀинца цунах Кесалун олу) къилбаседехьа йолчу агӀор дӀа а доьдий, Байт-Шамаш-гӀала йолчу чу а дуссий, Тамна-гӀалахула чекхдолура.</verse>
				<verse number="11">Цигара дӀа, Ӏекхран-гӀалин къилбаседехьарчу агӀор а долий, Шикрон-гӀалина тӀедоьдура доза. Юха, БаӀала-лома тӀехула а долий, Ябниал-гӀала кхочура. Цуьнан чаккхе Дуьненаюккъерчу хӀорда тӀехь яра.</verse>
				<verse number="12">Цу хӀордаца дара церан малхбузехь долу доза. Массо а агӀор иштта доза дара ЯхӀудан тайпанах болчу нехан.</verse>
				<verse number="13">Везачу Эло шена тӀе-ма-диллара, Епунин кӀантана Килабана ЯхӀудан тайпанна юкъахь дакъа делира ЮшаӀа. Цо цунна елларг Кхиръят-АрбаӀ яра, хӀинца шех Хьеврон-гӀала олуш йолу. (АрбаӀ Ӏаьнакхан да хилла.)</verse>
				<verse number="14">Килаба цигара Ӏаьнакхан тӀаьхьенаш араехира. Уьш Шешайн а, Ахьиманан а, Талмайн а цӀийнах болу нах бара.</verse>
				<verse number="15">Кхузара дӀа Дибар-гӀалин бахархошна тӀелетира иза. (Цу гӀалин цӀе хьалха Кхиръят-Сапар яра.)</verse>
				<verse number="16">Килаба элира: «Кхиръят-Сапарна тӀе а летта, и гӀала схьаяьккхинчу стаге сайн йоӀ Ӏахисат маре йохуьйтур ю ас».</verse>
				<verse number="17">Килабан вешин Кхеназан кӀанта Ӏотниал схьаяьккхира и гӀала, тӀаккха цуьнга шен йоӀ Ӏахисат маре яхийтира Килаба.</verse>
				<verse number="18">Майрачун цӀен тӀе дӀайоьдучу дийнахь Ӏотниал тешийра цо, шен дега Килабе латта деха деза аьлла. Ӏахисат вира тӀера чуйоьссича, Килаба хаьттира цуьнга: «ХӀумма а оьший хьуна?»</verse>
				<verse number="19">ЙоӀа элира: «Декъалъе со. Ахь суна делла латта декъа а, даьсса а ду, хин хьостанаш долу латта ахьа сайна дала лаьара суна». ТӀаккха Килаба лакхара а, лахара а хьостанаш дӀаделира цунна.</verse>
				<verse number="20">Иштта дара ЯхӀудан тайпанан шайн гаранашкахь долу дакъа:</verse>
				<verse number="21">Эдом-мехкан дозанехь, къилбехь, церан яра гӀаланаш: Къабциал, Ӏедар, ЯгӀур,</verse>
				<verse number="22">Кхина, Димуна, Ӏадада,</verse>
				<verse number="23">Кхедаш, Хьацор, Йитнан,</verse>
				<verse number="24">Зип, Телам, БеӀалт,</verse>
				<verse number="25">Хьацор-Хьадата, Кхиръют-Хьацрани я кхечу тайпана Хьацор,</verse>
				<verse number="26">Амам, ШемаӀ, Мулада,</verse>
				<verse number="27">Хьацар-Гада, Хьешмон, Байт-Палти,</verse>
				<verse number="28">Хьацар-ШуӀал, Беар-ШабаӀ, Бизъют-ЯхӀу,</verse>
				<verse number="29">БаӀала, Ӏияйм, Ӏацам,</verse>
				<verse number="30">Элтолад, Кесал, Хьорма,</verse>
				<verse number="31">ЦакхелагӀ, Мадмана, Сансана,</verse>
				<verse number="32">Лебаот, Шелахьим, Ӏейн, Римун — ерриг а ткъе исс гӀала яра шайн ярташца.</verse>
				<verse number="33">Цул сов, малхбалехь долчу лаьмнийн когашкахь а кхаьчнера царна гӀаланаш: Эштаул, ЦорӀа, Ашна,</verse>
				<verse number="34">Занухь, Ӏейн-Ганим, Тапухьа, Ӏейнам,</verse>
				<verse number="35">Ярмут, Ӏадулам, Соха, Ӏазекхи,</verse>
				<verse number="36">ШаӀрайм, Ӏадитайм, Гадира (я Гадирутайм) — ейтта гӀала шайн ярташца.</verse>
				<verse number="37">Ценан, Хьадаша, Мигдал-ГӀад,</verse>
				<verse number="38">ДилӀан, МицӀпа, Якхтаал.</verse>
				<verse number="39">Лахиш, Боцкхат, ӀегӀлон,</verse>
				<verse number="40">Каббон, Лахьмас, Китлиш,</verse>
				<verse number="41">Гадирут, Байт-ДагӀон, НаӀмат, Макхеда — ялхитта гӀала шайн ярташца.</verse>
				<verse number="42">Либна, Ӏетар, Ӏашун,</verse>
				<verse number="43">Йиптахь, Ашна, Нециб,</verse>
				<verse number="44">КъаӀила, Ахзиб, Мареша — исс гӀала шайн ярташца.</verse>
				<verse number="45">Ӏекхран, шеца кегийра гӀаланаш а, ярташ а йолуш,</verse>
				<verse number="46">Ӏекхранна тӀера Дуьненаюккъерчу хӀорда тӀекхаччалц болу мохк, цу чу йогӀуш Ашдод-гӀалина уллора гӀаланаш а, ярташ а йолуш.</verse>
				<verse number="47">Ашдод, шеца йолчу гӀаланашца а, ярташца а, Ӏази, шеца йолчу гӀаланашца а, ярташца а Мисар-мехкан дозанехь долчу хина тӀекхаччалц а, Дуьненаюккъерчу хӀорда тӀекхаччалц а.</verse>
				<verse number="48">Лаьмнаш тӀехь йолу гӀаланаш: Шамир, Итар, Соха,</verse>
				<verse number="49">Данна, Кхиръят-Сана (я Дибар),</verse>
				<verse number="50">Ӏанаб, ЭштамуӀ, Ӏаним,</verse>
				<verse number="51">ГӀашан, Хьулон, Гило — цхьайтта гӀала шайн ярташца.</verse>
				<verse number="52">Арба, Дума, Эшхьан,</verse>
				<verse number="53">Янум, Байт-Тапухьа, Апекха,</verse>
				<verse number="54">ХьумтӀа, Кхиръят-АрбаӀ (я Хьеврон), ЦиӀор — исс гӀала шайн ярташца.</verse>
				<verse number="55">МаӀун, Кармал, Зип, ЮтӀа,</verse>
				<verse number="56">ИзраӀал, ЯкхдеӀам, Занухь,</verse>
				<verse number="57">Кхаим, ГебаӀ, Тамна — итт гӀала шайн ярташца.</verse>
				<verse number="58">Хьалхьул, Байт-Цур, Гадур,</verse>
				<verse number="59">МаӀарат, Байт-Ӏанот, Элтакхун — ялх гӀала шайн ярташца.</verse>
				<verse number="60">Кхиръят-БаӀал (кхечу тайпана Кхиръят-ЯӀарим), Рабба — ши гӀала шайн ярташца.</verse>
				<verse number="61">Яьссачу арахь царна кхаьчна гӀаланаш: Байт-Ӏариба, Миддин, Секаха,</verse>
				<verse number="62">Нибшан, Туьха-гӀала, Ӏейн-ГӀади — ялх гӀала шайн ярташца.</verse>
				<verse number="63">Ярушалайман бахархой болу явсайхой ара ца бахабелира ЯхӀудан тайпане, цундела тахана а явсайхой ЯхӀудан тайпанах болчу нахаца цхьаьна Ӏаш бу Ярушалаймехь.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="16">
				<verse number="1">Юсупан тайпанна деллачу декъан доза Ерихонна уллорачу Йордан-хина тӀера, малхбалехь долчу Ерихонан шовданаш долчуьра долалуш дара. Ерихонна тӀера, яьссачу арахула дӀа а доьдий, шайна тӀехь Бетал-гӀала йолчу гунаш тӀе кхочура иза.</verse>
				<verse number="2">Бетална тӀера Луз-гӀалина тӀе а доьдий, цигара дӀа Ӏаьркхахойн лаьтта тӀехула чекх а долий, Ӏатрут-гӀала кхочура иза.</verse>
				<verse number="3">Цул тӀаьхьа малхбузехьа яплатихойн лаьтта тӀекхаччалц дӀадоьдура иза, цигара, Лахарчу Байт-Хьоронна тӀе а доьдий, ГӀазар-гӀалина тӀе кхочура. Дуьненаюккъерчу хӀорда тӀехь чекхдолура и доза.</verse>
				<verse number="4">Иштта дара Юсупан шина кӀентан, Маннашан а, Эпрайман а, дакъош.</verse>
				<verse number="5">Шайн гаранашкахь Эпрайман тайпанан дакъа иштта дара: церан доза малхбалехь Ӏатрут-Адар-гӀалина тӀера Лакхарчу Байт-Хьоронна тӀекхаччалц дара.</verse>
				<verse number="6">Цигара дӀа доза хӀорда тӀе доьдура, Михметатна къилбаседехьарчу агӀор а долий. Юха, Таанат-Шилун гӀалин малхбалерчу агӀор дӀа а доьрзий, цунах тӀехдолура иза. Ткъа Янохь-гӀалина а малхбалехь йолчу агӀонгахула дӀадоьдура доза.</verse>
				<verse number="7">Янохьана тӀера, Ӏатрут а, НаӀран а гӀаланашка чу а дуссий, Ерихонна тӀекхочура иза, цигара дӀадахча, Йордан-хина тӀехь соцура.</verse>
				<verse number="8">Тапухьа-гӀалина тӀера малхбузехьа Кхана-хина тӀе а доьдий, хӀорда тӀехь чекхдолура доза. Иштта дара Эпрайман тайпанан гаранашна делла долу дакъа.</verse>
				<verse number="9">Эпрайман тайпанна елла шайн ярташца йолу гӀаланаш Маннашан тайпанан лаьттан декъа тӀехь яра.</verse>
				<verse number="10">Амма Эпрайман тайпанах болчу наха ГӀазар-гӀалахь Ӏаш болу канаӀанхой дӀа ца лаьхкира, таханлерчу дийне кхаччалц эпраймхошна юкъахь бехаш бу уьш, леш санна царна белхаш а беш.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="17">
				<verse number="1">Юсупан дуьххьарлерчу кӀентан Маннашан тӀаьхьенна латта делира. Маннашан дуьххьарлера кӀант Макир ГалӀадан да вара. Иза майра тӀемало хилла, ГалӀад а, Башан а олу меттигаш цуьнан тӀаьхьенашна кхаьчнера.</verse>
				<verse number="2">Йордан-хин малхбузерчу агӀор латта делира Маннашан тайпанах бухабисинчу нахана. Цуьнан тӀаьхьенах болу божарий бара уьш: Абу-Ӏезар а, Хьелакх а, Асриал а, Шехем а, Хьепар а, ШамидаӀ а. Царах хӀора а шен гаранна тӀехь коьртаниг вара.</verse>
				<verse number="3">Цалпихьад Хьепаран кӀант вара, Хьепар ГалӀадан вара, ГалӀад Макиран вара, Макир Маннашан вара. Цалпихьадан цхьа а кӀант вацара, йоӀарий бен. Церан цӀераш яра: Махьила, НуӀат, Хьугила, Малка, Тирца.</verse>
				<verse number="4">Динан дена ЭлиӀазарна а, Нунин кӀантана ЮшаӀана а, тхьамдашна а тӀе а баьхкина, цара элира: «Везачу Эло Мусана тӀедиллина, тхан вежаршна юкъахь тхуна дакъош ло аьлла». Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара, шайн ден вежаршна юкъахь дакъош делира царна.</verse>
				<verse number="5">Йорданал дехьа долу ГалӀадан а, Башанан а латтанаш доцург, Маннашан тайпанна итт дакъа кхечира.</verse>
				<verse number="6">Цуьнан тӀаьхьенах болчу йоӀаршна а, кӀенташна санна, дакъош кхечира, ткъа ГалӀадара латта Маннашан тайпанах долчу кхечу гаранашна дӀаделлера.</verse>
				<verse number="7">Маннашан тайпанан доза Ашарна тӀера Михметатана тӀекхаччалц Шехемна малхбалехьа дара. Кхузара дӀа доза къилбехьа доьдура, Ӏейн-Тапухьа цӀе йолчу меттигера бахархой чу а лоцуш.</verse>
				<verse number="8">Тапухьа-гӀалина гонах долу латта Маннашан тайпанан дара, ткъа дозанна тӀехь йолу ша гӀала Эпрайман тайпанан яра.</verse>
				<verse number="9">Юха доза Кхана-хи долчу, къилбехьа агӀор, чудуссуш дара. И гӀаланаш эпраймхойн яра, ткъа уьш Маннашан тайпанан гӀаланаш юкъахь яра. Маннашан тайпанан доза, хин къилбаседерчу агӀор дӀа а дахана, Дуьненаюккъерчу хӀорда тӀехь чекхдолуш дара.</verse>
				<verse number="10">Къилбехьа долу латта Эпрайман тайпанан дара, ткъа къилбаседехьа дерг Маннашан тайпанан дара. Дуьненаюккъера хӀорд Маннашан тайпанан малхбузехь долу доза дара, цуьнан къилбаседера доза Ашаран халкъан махкаца дара, ткъа малхбалераниг Иссарханан халкъан махкаца дара.</verse>
				<verse number="11">Ашаран а, Иссарханан а латтанаш тӀехь йолу гӀаланаш а яра Маннашан тайпанан долахь: Байт-Шеан а, ИбалӀам а, ткъа иштта царна гонах йолу кегийра гӀаланаш а. Цул сов, хӀокху гӀаланашкахь а Ӏаш бара уьш: Дор, Ӏейндар, ТаӀнак, МагӀидда, царна гонах йолу гӀаланаш а (царах кхозлагӀниг Напат яра).</verse>
				<verse number="12">Цу гӀаланашкара бахархой ара ца бахабелира Маннашан тайпанах болчу нахе, цундела канаӀанхой цу лаьтта тӀехь баха бисира.</verse>
				<verse number="13">Шайн ницкъ алсамбаьлча, исраилхоша канаӀанхошка шайна болх бойтура, амма цу махкара уьш массо а ара ца бехира цара.</verse>
				<verse number="14">Юсупан тайпано элира ЮшаӀе: «Тхуна цхьаъ бен дакъа хӀунда ца делла ахьа? Тхо дуккха а ма ду, Везачу Эло тхо декъалдина дела».</verse>
				<verse number="15">ЮшаӀа жоп делира: «Нагахь шаьш дуккха а делахь, Эпрайман лам шайна тоьуш а бацахь, хьаннашка а гӀой, перезахойн а, репахойн а лаьтта тӀехь шайна меттиг яккха».</verse>
				<verse number="16">Юсупан тайпано элира: «Тхуна тоъал меттиг яц ломахь, ткъа канаӀанхой шерачу арахь а, тогӀи чохь а Ӏаш бу. Церан аьчках йина тӀеман гӀудалкхаш а ю. Байт-Шеан-гӀалахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а Ӏаш берш а, ИзраӀал-тогӀи чохь Ӏаш берш а тӀеман гӀудалкхаш йолуш бу».</verse>
				<verse number="17">Амма ЮшаӀа элира Юсупан тӀаьхьенах болчу Эпрайман а, Маннашан а тайпанашкарчу нахе: «Шу дуккха а ду, боккха ницкъ а бу шун. Цхьа дакъа хилла Ӏийр дац шун:</verse>
				<verse number="18">ламанан мохк шун хир бу. Цу тӀехь хьун елахь а, аш иза дӀацӀанбийр бу, тӀаккха иза гуттаренна а шун хир бу. Аша канаӀанхой дӀалохкур бу, церан аьчка гӀудалкхаш елахь а, уьш онда белахь а».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="18">
				<verse number="1">Латта схьадаьккхинчул тӀаьхьа дерриг а Исраилан халкъ Шилунехь схьагулделира. Везачу Элан деза четар дӀахӀоттийра цара цигахь.</verse>
				<verse number="2">Исраилхойх лаьттан дакъа кхачаза кхин а ворхӀ тайпа дара.</verse>
				<verse number="3">ЮшаӀа элира исраилхошка: «Кхин мел Ӏан дагахь ду шу, шун дайн Везачу Дала шайна делла латта схьа а ца оьцуш?</verse>
				<verse number="4">ХӀора тайпанах кхоккха стаг схьакъаставе. Ас лаьтте хьовса а, цунах дерг дӀаяздан а бохуьйтур бу уьш. ХӀора тайпанна догӀучуьнга хьаьжжина, иза муха декъа деза дӀа а яздина, суна тӀе юхабогӀур бу уьш.</verse>
				<verse number="5">Латта ворхӀ декъе декъа деза. ЯхӀудан тайпа шен лаьтта тӀехь къилбехь Ӏийр ду, ткъа Юсупан тайпа шен лаьтта тӀехь къилбаседехь Ӏийр ду.</verse>
				<verse number="6">Лаьттан ворхӀ декъах яздинарг суна схьада. Аса вайн Везачу Далла хьалха шуна кхаж тосур бу.</verse>
				<verse number="7">Левихошна шуна юкъахь дакъа хир дац, хӀунда аьлча Везачу Элана гӀуллакх дар ду церан дакъа. Ткъа Гадин а, Раабанан а тайпанаша а, Маннашан эха тайпано а Везачу Элан ялхочо Мусас шайна делла дакъош Йордан-хин малхбалерчу агӀор схьаэцна».</verse>
				<verse number="8">Хаьржина болу нах лаьтте хьовса бахара. Уьш дӀабахале, ЮшаӀа царна тӀедиллира: «Даха а гӀой, лаьтте а хьовсий, цунах дерг дӀа а яздай, суна тӀе юхадуьйла. Ас кхузахь, Шилунехь, Везачу Элана хьалха шуна кхаж тосур бу».</verse>
				<verse number="9">Уьш, дӀа а бахана, цу лаьттахула чекхбевлира. Дерриг а цунах дерг а, ерриг а гӀала а тептар тӀехь ворхӀ декъехь дӀаязйира цара. Юха ЮшаӀ волчу Шилуне схьабаьхкира уьш.</verse>
				<verse number="10">ЮшаӀа Шилунехь Везачу Элана хьалха кхаж тесира царна. Юха исраилхойн дисинчу хӀора тайпанна дӀадийкъира цо билгалдаьхна долу лаьттан дакъош.</verse>
				<verse number="11">Хьалхара кхаж Бен-Яманан тайпанах долчу гаранашна белира. ЯхӀудан а, Юсупан а тайпанашна юккъехь Ӏуьллуш дара церан латта.</verse>
				<verse number="12">Къилбаседерчу агӀор церан доза Йордан-хина тӀера долалуш дара. Ерихонна уллохула къилбаседехула чекх а долий, малхбузехьа а доьрзий, гунаш тӀе хьаладолура иза. Цигара дӀа Байт-Аван цӀе йолчу яьссачу аренга кхочура иза.</verse>
				<verse number="13">Юха доза, Луз-гӀалин (кхечу кепара Беталан) къилбехь йолчу басенна тӀе а доьдий, цигара Ӏатрут-Адар-гӀала йолчу чу а дуссий, Лахарчу Байт-Хьорон-гӀалин къилбехьарчу агӀор лаьттачу лома тӀе доьдура.</verse>
				<verse number="14">Цул тӀаьхьа, цу ломан малхбузерчу агӀонна тӀера къилбехьа дӀа а доьрзий, ЯхӀудан тайпанан йолчу Кхиръят-БаӀал-гӀалина (я кхечу кепара Кхиръят-ЯӀаримна) тӀедоьдура иза. Малхбузера доза иштта дара.</verse>
				<verse number="15">Къилбера доза, Кхиръят-ЯӀаримна тӀера дӀа а долалой, Нептухь цӀе йолчу хьостана тӀе кхочура.</verse>
				<verse number="16">Юха, ХӀинам-тогӀина дуьхьал болчу ломан когашка чу а дуссий, репахойн тогӀи чухула къилбаседехьа а доьдий, Явсай-гӀалин къилбехьарчу агӀор ХӀинам-тогӀи чу дуссура иза, цигара дӀа Ӏейн-РегӀал цӀе йолчу хьостана тӀе доьдура.</verse>
				<verse number="17">Цул тӀаьхьа, къилбаседехьа дӀа а доьрзий, Ӏейн-Шемешана тӀе а доьдий, цигара дӀа Адуммим-Ӏинна дуьхьал йолчу Галилутна тӀедоьдура доза. Цигара дӀа Раабанан кӀентан БохӀанан тӀулг болчу чудуссура иза.</verse>
				<verse number="18">Юха, Ӏариба-тогӀина дуьхьал долчу гунийн къилбаседерчу агӀор дӀа а доьдий, тогӀи чу дуссура иза.</verse>
				<verse number="19">Цул тӀаьхьа, Байт-ХьагӀла-ломан къилбаседерчу агӀор чекх а долий, Дуьрачу хӀордан къилбаседерчу берда йистехь чекхдолура доза, Йордан-хи хӀордах кхетачу меттехь. Иштта дара къилбера доза.</verse>
				<verse number="20">Малхбалера доза хилла догӀуш Йордан-хи дара. Массо а агӀор долчу дозанашца иштта дара Бен-Яманан тайпанан лаьттан дакъа.</verse>
				<verse number="21">Бен-Яманан тайпанан хӀара гӀаланаш яра: Ерихон, Байт-ХьагӀла, Ӏемакх-Кхациц,</verse>
				<verse number="22">Байт-Ӏариба, ЦӀемарайм, Бетал,</verse>
				<verse number="23">Ӏавайм, Пара, Ӏапру,</verse>
				<verse number="24">Кепар-Ӏамуна, Ӏапни, ГибаӀ — шийтта гӀала шайн ярташца.</verse>
				<verse number="25">ГавӀон, Рама, Баировт,</verse>
				<verse number="26">МицӀпа, Капира, Моца,</verse>
				<verse number="27">Рекхам, Йирпиал, Тар-Ала,</verse>
				<verse number="28">ЦелаӀ, Элеп, Явсай (я кхечу тайпана Ярушалайм), ГебаӀ, Кхиръят-ЯӀарим — ейтта гӀала шайн ярташца. Иштта дара Бен-Яманан тайпанан дакъош.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="19">
				<verse number="1">ШолгӀа кхаж ШимӀин тайпанна белира. ЯхӀудан тайпанна деллачу лаьттана юккъехь нисделлера церан дакъош.</verse>
				<verse number="2">Царна кхаьчнарг хӀара дара: Беар-ШабаӀ (я ШебаӀ), Мулада,</verse>
				<verse number="3">Хьацар-ШуӀал, Бала, Ӏацам,</verse>
				<verse number="4">Элтолад, Бетул, Хьорма,</verse>
				<verse number="5">ЦакхелагӀ, Байт-Маркабут, Хьацар-Суса,</verse>
				<verse number="6">Байт-Лебаот, Шарухьен — кхойтта гӀала шайн ярташца.</verse>
				<verse number="7">Ӏейн, Римун, Ӏетар, Ӏашун — йиъ гӀала царна гонах йолчу ярташца.</verse>
				<verse number="8">Цул сов, цу гӀаланашна гонах йолу массо а юрт яра церан, ур-атталла БаӀалт-Беарана (я кхечу тайпана къилбехь йолчу Рамина) тӀекхаччалц. Иштта дара ШимӀин тайпанан дакъа.</verse>
				<verse number="9">ЯхӀудан тайпанах болчу нехан латта царна оьшучул сов дара, цундела церан лаьттах дакъа деллера ШимӀин тайпанна. Иштта церан дакъошна юккъехь нисделлера ШимӀин тайпанах болчеран латта.</verse>
				<verse number="10">КхоалгӀа кхаж Забулан тайпанна белира. Церан декъан доза Сарид-гӀалина тӀекхаччалц дӀадоьдура.</verse>
				<verse number="11">Юха, малхбузехьа МарӀалана тӀе а доьдий, цигара дӀадахча, Дабешетах дӀа а кхетий, тӀаккха ЯкхнаӀамна уллорачу хина тӀе кхочура иза.</verse>
				<verse number="12">Саридана тӀера малхбалехьа Кислут-Табурна тӀедоьрзура доза, цул тӀаьхьа Дубратана тӀе а доьдий, юха ЯпияӀ йолчу хьаладолура иза.</verse>
				<verse number="13">Цул тӀаьхьа малхбалехьа Гати-Хьепарна а, Ӏет-Кхацинна а тӀе а кхочий, кхидӀа Римуна тӀе а доьдий, НеӀа йолчу агӀор дӀадоьрзура.</verse>
				<verse number="14">Къилбаседехь доза Хьанатон йолчу дӀадоьрзура, кхидӀа а доьдий, Яптахь-Эл-тогӀи чохь чекхдолура.</verse>
				<verse number="15">Церан лаьтта тӀехь шийтта гӀала яра шайн ярташца. Царах цхьаерш хӀорш ю: КхатӀат, НахӀлал, Шимрон, Йида-Ала, Байтлахам.</verse>
				<verse number="16">Иштта гӀаланаш а, ярташ а кхаьчнера Забулан тайпанах долчу гаранашна.</verse>
				<verse number="17">БоьалгӀа кхаж Иссарханан тайпанах долчу гаранашна белира.</verse>
				<verse number="18">Церан лаьтта тӀехь яра: ИзраӀал, Кесулот, Шунам,</verse>
				<verse number="19">Хьапарайм, Шион, Анахьарат,</verse>
				<verse number="20">Рабит, Кхишон, Эбец,</verse>
				<verse number="21">Ремет, Ӏейн-Ганим, Ӏейн-Хьада, Байт-Пацац.</verse>
				<verse number="22">Доза, Табурна а, Шахьацимана а, Байт-Шамашна а тӀе а кхочий, цигара дӀадоьдий, Йордан-хина уллохь чекхдолура. Царна кхаьчнарг ялхитта гӀала яра шайн ярташца.</verse>
				<verse number="23">Иштта гӀаланаш а, ярташ а кхаьчнера Иссарханан тайпанах долчу гаранашна.</verse>
				<verse number="24">ПхоьалгӀа кхаж Ашаран тайпанах долчу гаранашна белира.</verse>
				<verse number="25">Церан дола яьлларг яра: Хьелкхат, Хьали, Бетен, Ахишап,</verse>
				<verse number="26">Алам-Малик, ӀамӀад, Мишъал. Малхбузерчу агӀор долу церан доза Кармал-ломана а, Шихьор-Либнатна а тӀекхочура.</verse>
				<verse number="27">Юха, малхбалехьа Байт-ДагӀон йолчу дӀа а доьрзий, Забулна а, Яптахь-Эл-тогӀина а тӀекхочура иза. Цул тӀаьхьа къилбаседехьарчу агӀор Байт-Ӏамакхна, НеӀилна а тӀех а долий, Хабулна тӀекхочура иза.</verse>
				<verse number="28">Цул тӀаьхьа доза, Ӏабранина а, Рахьубна а, Хьамунна а, Кханина а тӀе а доьдий, юха Сийлахьчу ЦӀаданна тӀекхаччалц дӀадоьдура.</verse>
				<verse number="29">Рама-гӀала йолчу юха а доьрзий, цигара дӀа чӀагӀйина йолчу Цора-гӀалина тӀедоьдура доза, ткъа цигара дӀа Хьоса-гӀалина тӀедоьрзура. ХӀорда йистехь, Ахзиб олучу меттехь, чекхдолура иза.</verse>
				<verse number="30">Ӏума, Апакх, Рахьуб а кхаьчнера царна. Ерриг а ткъе ши гӀала яра шайн ярташца.</verse>
				<verse number="31">Иштта гӀаланаш а, ярташ а кхаьчнера Ашаран тайпанах долчу гаранашна.</verse>
				<verse number="32">ЙолхалгӀа кхаж Напталан тайпанах долчу гаранашна белира.</verse>
				<verse number="33">Церан доза, Хьелеп-гӀала а, ЦаӀнаним-гӀалина уллора нежнаш а долчуьра дӀадолалой, Адами-Некхабна а, Ябниална а тӀе а доьдий, Лакхумна тӀекхочура. Ткъа цигара дӀадахча, Йордан-хи тӀехь чекхдолура иза.</verse>
				<verse number="34">Кхузара дӀа доза малхбузехьа Азнот-Табурна тӀе а доьрзий, юха цигара Хьукхакхана тӀе а доьдий, къилбехь Забулан лаьттах дӀахотталора, ткъа малхбузехь Ашаран лаьттах дӀахотталора. Малхбалехь иза Йорданна тӀе кхочура.</verse>
				<verse number="35">ЧӀагӀйина гӀаланаш хӀорш яра: Цидим, Зер, Хьамат, Ракхат, Канарот,</verse>
				<verse number="36">Адама, Рама, Хьацор,</verse>
				<verse number="37">Кхедаш, ЭдреӀи, Ӏейн-Хьацор,</verse>
				<verse number="38">Йиръон, Мигдал-Эл, Хьорем, Байт-Ӏанат, Байт-Шамаш — ткъайоьсна гӀала шайн ярташца.</verse>
				<verse number="39">Иштта гӀаланаш а, ярташ а кхаьчнера Напталан тайпанах долчу гаранашна.</verse>
				<verse number="40">ВорхӀалгӀа кхаж Данан тайпанах долчу гаранашна белира.</verse>
				<verse number="41">Церан декъа чуйогӀуш яра: ЦорӀа, Эштаул, Ӏир-Шемеш,</verse>
				<verse number="42">ШаӀалбан, Айлон, Йитла,</verse>
				<verse number="43">Эйлон, Тамна, Ӏекхран,</verse>
				<verse number="44">Элтакха, Габитун, БаӀалт,</verse>
				<verse number="45">ЙихӀуд, Бини-Биракх, Гати-Римун,</verse>
				<verse number="46">Ме-Яркхун, Ракхун, Яппи-гӀалина уллора латта. Данан тайпане шайна беллачу мехкан дола дан ца делира.</verse>
				<verse number="47">ТӀаккха, Лешем-гӀалина тӀе а летта, иза схьа а яьккхина, цуьнан бахархой хӀаллакбира Данах схьабевллачу наха. Цу гӀалахь баха хевшира уьш, цуьнан цӀе Дан а тиллина, шайн ден Данан цӀарах.</verse>
				<verse number="48">Иштта гӀаланаш а, ярташ а кхаьчнера Данан тайпанах долчу гаранашна.</verse>
				<verse number="49">Шаьш латта декъна бевлча, Нунин кӀантана ЮшаӀана а шайна юккъехь дакъа делира исраилхоша.</verse>
				<verse number="50">Везачу Эло тӀе-ма-диллара, ЮшаӀа шена ехна йолу гӀала елира цара цунна. Иза Эпрайман лам тӀехь йолу Тамнат-Серахь яра. ГӀала то а йина, цу чохь ваха хиира ЮшаӀ.</verse>
				<verse number="51">Иштта дара исраилхошна шайн тайпанашкахь декъна лаьттан дакъош. Динан дас ЭлиӀазара а, Нунин кӀанта ЮшаӀа а, халкъан тхьамданаша а, кхаж а тосуш, Шилунехь, Веза Эла волчохь, Цуьнан дезачу четарна хьалха декънера уьш. Латтанаш декъар иштта чекхделира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="20">
				<verse number="1">Везачу Эло ЮшаӀе элира:</verse>
				<verse number="2">«ДӀаала исраилхошка: „Стагана дӀалачкъа гӀаланаш харжа шайна, Мусагахула Ас шуьга ма-аллара.</verse>
				<verse number="3">Нагахь цхьаммо ларамаза стаг вийнехь, цунна дӀалачкъа меттиг хир ю иза. Нагахь шух цхьаммо ларамаза стаг вийнехь, шун аьтто хир бу цига дӀадовда а, бекхам лоьхучух цу гӀалахь дӀалачкъа а.</verse>
				<verse number="4">Ишттачу гӀала ведда веанарг, гӀалин кевне а хӀоьттина, цигарчу къаношка шена хилларг дӀадийца дезаш ву. Цара, шайн гӀалахь тӀе а лаьцна, ваха меттиг лур ю цунна.</verse>
				<verse number="5">Иза вен дагахь бекхам лоьхург тӀаьхьаваьлча, тхьамданаша дӀалур вац ведда веанарг, хӀунда аьлча цо ларамаза вийна уллораниг. Селхана а, стомара а вийначуьнга цабезам ца хилла цуьнан.</verse>
				<verse number="6">Кху гӀалахь Ӏийр ву иза, ша халкъана хьалха кхеле хӀотталц, цу заманахь волу динан коьрта да валлалц. Цул тӀаьхьа стаг вийнарг шен гӀала а, шен цӀийне а юхаверза йиш йолуш хир ву“».</verse>
				<verse number="7">Галилай-махкахь Напталан гунаш тӀехь йолу Кхедаш-гӀала а, Эпрайман лам тӀера Шехем-гӀала а, ЯхӀудан гунаш тӀера Кхиръят-АрбаӀ а (кхечу тайпана Хьеврон) дӀакъастийра.</verse>
				<verse number="8">Йордан-хил дехьа, Ерихон-гӀалина дуьхьал, малхбалехьа цара дӀакъастийра: Раабанан тайпанах яьссачу арахь Бацар-гӀала, Гадин тайпанах ГалӀад-махкахь Рамат-гӀала, Маннашан тайпанах Башан-махкахь Голан-гӀала.</verse>
				<verse number="9">И гӀаланаш берриг а исраилхошна а, уьш болчохь Ӏаш болчу тӀебаьхкинчу нахана а лерина яра, ларамаза стаг вийнарг, халкъана хьалха кхеле хӀотталц, дӀалачкъархьама, бекхам бан гӀерташ болчу мостагӀаша иза веле.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="21">
				<verse number="1">Левихойн тӀаьхьенийн тхьамданаш баьхкира динан дена ЭлиӀазарна а, Нунин кӀантана ЮшаӀна а, исраилхойн тайпанийн тхьамданашна а тӀе.</verse>
				<verse number="2">КанаӀан-махкахь йолчу Шилун-гӀалахь дара иза. Левихойн тхьамданаша элира: «Мусагахула Везачу Эло тӀедиллина, тхуна чохь Ӏан гӀаланаш а, даьхни лело цу гӀаланашна уллора аренаш а ло аьлла».</verse>
				<verse number="3">Везачу Эло тӀе-ма-диллара, шайн лаьттан дакъойх схьа а къастийна, левихошна гӀаланаш а, царна уллора аренаш а елира исраилхоша.</verse>
				<verse number="4">Хьалхара кхаж КхахӀатан тӀаьхьенашна белира. И кхаж баларца ЯхӀудан а, ШимӀин а, Бен-Яманан а тайпанех схьабевлла болчу наха левихошна, динан ден АхӀаронан кӀенташна, кхойтта гӀала елира.</verse>
				<verse number="5">Кхаж баларца КхахӀатан кхечу тӀаьхьенашна а Эпрайман а, Данан а тайпанех схьабевллачу нахера а, Маннашан ах тайпанах болчу нахера а итт гӀала кхечира.</verse>
				<verse number="6">ГӀиршанан тӀаьхьенашна Иссарханан а, Ашаран а, Напталан а тайпанех схьабевллачу нахера а, Башан цӀе йолчу меттера Маннашан ах тайпанах болчу нахера а кхойтта гӀала кхечира кхаж баларца.</verse>
				<verse number="7">Мерарин тӀаьхьенашна шайн гаранашкахь Раабанан а, Гадин а, Забулан а тайпанех схьабевллачу нахера шийтта гӀала кхечира.</verse>
				<verse number="8">Везачу Эло Мусагахула шайна тӀе-ма-диллара, и гӀаланаш царна уллорачу аренашца, кхаж а тосуш, левихошна дӀаелира исраилхоша.</verse>
				<verse number="9">ЯхӀудан а, ШимӀин а тайпанаша левихошна еллачу гӀаланийн цӀераш иштта яра:</verse>
				<verse number="10">КхахӀатан тӀаьхьенах болчу АхӀаронан кӀенташна а, Левин кӀенташна а, царна кхаж хьалха баларна,</verse>
				<verse number="11">Кхиръят-АрбаӀ цӀе йолу гӀала а, цунна гонахара аренаш а елира. (Ӏаьнакхан ден АрбаӀан цӀарах яра и гӀала. Иза ЯхӀудан гу тӀехь яра, кхин цӀе а яра цуьнан — Хьеврон).</verse>
				<verse number="12">Цу гӀалина уллора аре а, ярташ а Епунин кӀантана Килабана елира.</verse>
				<verse number="13">Иштта динан ден АхӀаронан кӀенташна елира лурбоьлла нах ловчкъу гӀала — Хьеврон а, гӀала Либна а, цу шина гӀалина уллора аренаш а.</verse>
				<verse number="14">Кхин а царна елира шен аренашца Итар-гӀала а, шен аренашца ЭштамуӀ-гӀала а,</verse>
				<verse number="15">Хьулон-гӀала а, цуьнан аренаш а, Дибар-гӀала а, цуьнан аренаш а,</verse>
				<verse number="16">Ӏейн-гӀала а, цуьнан аренаш а, ЮтӀа-гӀала а, цуьнан аренаш а, Байт-Шамаш-гӀала а, цуьнан аренаш а. Цу шина тайпано елла и исс гӀала яра.</verse>
				<verse number="17">Бен-Яманан тайпано елира гӀаланаш: ГавӀон а, цуьнан аренаш а, ГибаӀ а, цуьнан аренаш а,</verse>
				<verse number="18">Ӏанатот-гӀала а, цуьнан аренаш а, Ӏалмун-гӀала а, цуьнан аренаш а. Цара елларг йиъ гӀала яра.</verse>
				<verse number="19">АхӀаронан тӀаьхьенашна, динан дайшна, кхаьчнарг кхойтта гӀала а, царна гонахара аренаш а яра.</verse>
				<verse number="20">КхахӀатан тӀаьхьенах болчу кхечу левихошна, кхаж баларца, кхечира Эпрайман тайпано елла гӀаланаш.</verse>
				<verse number="21">Эпрайман лам тӀехь йолу Шехем-гӀала а, цуьнан аренаш а кхечира царна. И гӀала лурбоьлла нах шена чохь дӀаловчкъуш яра. Цул сов, ГӀазар-гӀала а, цуьнан аренаш а елира царна.</verse>
				<verse number="22">Кхибцайм-гӀала а, цуьнан аренаш а, Байт-Хьорон-гӀала а, цуьнан аренаш а елира. Ерриг а йиъ гӀала яра уьш.</verse>
				<verse number="23">Данан тайпано елира гӀаланаш: Элтакха а, цуьнан аренаш а, Габитун а, цуьнан аренаш а,</verse>
				<verse number="24">Айлон а, цуьнан аренаш а, Гати-Римун а, цуьнан аренаш а. Йиъ гӀала яра цара елларг.</verse>
				<verse number="25">Маннашан ах тайпано елира гӀаланаш: ТаӀнак а, цуьнан аренаш а, Гати-Римун а, цуьнан аренаш а. Цара елларг ши гӀала яра.</verse>
				<verse number="26">КхахӀатан тӀаьхьенах болчу кхечу доьзалшна кхаьчнарг ерриг а итт гӀала а, церан аренаш а яра.</verse>
				<verse number="27">ГӀиршанан тӀаьхьенах болчу левихошна елира хӀара гӀаланаш: Маннашан ах тӀаьхьено елира лурбоьлла нах ловчкъуш йолу Голан-гӀала а, цуьнан аренаш а. И гӀала Башан олучу меттехь яра. Цул сов, цара елира БаӀаш-Тара-гӀала а, цуьнан аренаш а. Ерриг а ши гӀала.</verse>
				<verse number="28">Иссарханан тайпано елира гӀаланаш: Кхишон а, цуьнан аренаш а, Дубрат а, цуьнан аренаш а.</verse>
				<verse number="29">Ярмут а, цуьнан аренаш а, Ӏейн-Ганим а, цуьнан аренаш а. Йиъ гӀала елира цара.</verse>
				<verse number="30">Ашаран тайпано елира гӀаланаш: Мишъал а, цуьнан аренаш а, Ӏабдани а, цуьнан аренаш а.</verse>
				<verse number="31">Хьелкхат а, цуьнан аренаш а, Рахьуб а, цуьнан аренаш а. Йиъ гӀала яра цара елла.</verse>
				<verse number="32">Напталан тайпано елира гӀаланаш: лурбоьлла нах ловчкъуш йолу Галилай-махкара Кхедаш а, цуьнан аренаш а, Хьамут-Дор а, цуьнан аренаш а, Кхартан а, цуьнан аренаш а. Кхо гӀала елира цара.</verse>
				<verse number="33">ГӀиршанан тӀаьхьенах болчу нахана кхаьчнарг кхойтта гӀала а, царна гонах йолу аренаш а яра.</verse>
				<verse number="34">Мерарин тӀаьхьенах болчу кхечу левихошна а елира гӀаланаш. Забулан тайпано дӀакъастийра: ЯкхнаӀам а, цуьнан аренаш а, Кхартахь а, цуьнан аренаш а,</verse>
				<verse number="35">Димна а, цуьнан аренаш а, НахӀлал а, цуьнан аренаш а. Йиъ гӀала.</verse>
				<verse number="36">Раабанан тайпано елира Бацар-гӀала а, цуьнан аренаш а, ЯхӀац-гӀала а, цуьнан аренаш а,</verse>
				<verse number="37">Кхадимут-гӀала а, цуьнан аренаш а, МейпаӀат-гӀала, цуьнан аренаш а. Цара елларг йиъ гӀала яра.</verse>
				<verse number="38">Гадин тайпанах болчу наха елира гӀаланаш: ГалӀад-махкахь йолу, шена чохь лурбоьлла нах дӀаловчкъу Рамат-гӀала а, цуьнан аренаш а, Махьанайм а, цуьнан аренаш а.</verse>
				<verse number="39">Кхин а елира Хьешбон-гӀала а, цуьнан аренаш а, ЯӀзир-гӀала а, цуьнан аренаш а. Цара елларг йиъ гӀала яра.</verse>
				<verse number="40">Кхаж тасарца Мерарин тӀаьхьенах болчу левихошна кхаьчнарг шийтта гӀала яра.</verse>
				<verse number="41">Исраилхойн бахамна юкъахь левихойн долахь шовзткъе бархӀ гӀала а, царна гонахара аренаш а яра.</verse>
				<verse number="42">Цу гӀаланашна гонах аренаш яра, хӀора гӀалин шен латта а долуш.</verse>
				<verse number="43">Иштта Везачу Эло, Ша церан дайшна лур бу аьлла, чӀагӀо йина болу мохк исраилхошна дӀабелира. Иза схьа а эцна, цу тӀехь баха хевшира уьш.</verse>
				<verse number="44">Массо а агӀор царна синтем белира Везачу Эло, церан дайшка Ша ма-аллара. Исраилхойн мостагӀех цхьа а царна дуьхьало еш вацара. Везачу Эло церан кара дӀабеллера мостагӀий.</verse>
				<verse number="45">Дерриг а Везачу Эло исраилхошна хир ду аьлла диканиг кхочуш ца хуьлуш ца дисира. Дерриг а кхочушхилира</verse>
			</chapter>
			<chapter number="22">
				<verse number="1">Раабанан а, Гадин а тайпанашший, Маннашан ах тайпий тӀе а кхайкхина, ЮшаӀа элира цаьрга:</verse>
				<verse number="2">«Везачу Элан ялхочо Мусас тӀедиллинарг дерриг а кхочуш а дина аша, ас омра динчул тӀаьхьа массо а даше ла а доьгӀна.</verse>
				<verse number="3">ХӀара де тӀекхаччалц, дуккха а хенахь шайн вежарий дӀатесна ца битира аша, Везачу Эло, шун Дала, тӀедиллинарг кхочуш а дира.</verse>
				<verse number="4">ХӀинца Везачу Эло, шун Дала, синтем белла шун вежаршна, Ша цаьрга ма-аллара. ХӀинца, Везачу Элан ялхочо Мусас Йорданал дехьа шайна деллачу латтанаш тӀе дӀа а гӀой, шайн четарш чу юхадерза.</verse>
				<verse number="5">Амма леррина кхочушдан хьовсалаш Везачу Элан ялхочо Мусас шайна делла весеташ а, товрат-хьехам а: Веза Эла, шайн Дела, везар а, Цуьнан некъашкахула лелар а, Цуьнан парзаш Ӏалашдар а, Цунах хоттадалар а, дерриг а шайн дагаца а, синца а Цунна гӀуллакх дар а».</verse>
				<verse number="6">Цул тӀаьхьа, уьш декъал а бина, дӀабахийтира ЮшаӀа. Уьш шайн четаршка дӀасабекъабелира.</verse>
				<verse number="7">Маннашан тайпанан цхьаьна декъана Башанехь латта Мусас делира, ткъа вукху декъана латта Йорданал дехьа, малхбузехьа, шен вежаршца ЮшаӀа делира. Шайн четаршка дӀабохуьйтуш, цо уьш декъалбира.</verse>
				<verse number="8">ЮшаӀа элира цаьрга: «Доккхачу хьолаца юхадоьрзуш ду шу шайн четаршка, шуьгахь дуккха а даьхни а, дети а, деши а, цӀаста а, эчиг а, тайп-тайпана духарш а ду. Шайн вежаршца екъа мостагӀашкара шаьш яьккхина йолу хӀонс».</verse>
				<verse number="9">Раабанан а, Гадин а тайпанаш а, Маннашан тайпанах ах дакъа а исраилхой болчуьра КанаӀан-махкахь йолчу Шилунера дӀадахара. Везачу Элан омрица Мусагахула шайна деллачу, ГалӀад-махкахь долчу лаьтта тӀе бахара уьш.</verse>
				<verse number="10">КанаӀан-махкахь, Йорданна уллохь, Раабанан а, Гадин а тайпанаша а, Маннашан тайпанан эха декъо а сагӀа доккху боккха кхерч бира.</verse>
				<verse number="11">Исраилхошна хезира, наха дуьйцуш: «Раабанан а, Гадин а тайпанаша а, Маннашан тайпанан эха декъо а КанаӀан-махкахь, Йорданна уллохь, сагӀа доккху кхерч бина, исраилхошна дуьххьал».</verse>
				<verse number="12">Шайна иза хезча, берриге а исраилхой Шилунехь вовшахкхийтира царна дуьхьал тӀаме бовла.</verse>
				<verse number="13">Амма цкъа хьалха исраилхоша ЭлиӀазаран кӀант волу динан да Пайнехьас вахийтира ГалӀад-махка, Раабанан а, Гадин а тайпанаш а, Маннашан ах тайпа а долчу.</verse>
				<verse number="14">Цуьнца цхьаьна исраилхойх хӀора тайпанан тхьамда а вахара. Уьш итт вара, царах хӀора а эзарнаш исраилхошна тӀехь тхьамда вара.</verse>
				<verse number="15">Раабанан а, Гадин а тайпанаш а, Маннашан ах тайпа а долчу ГалӀад-махка баьхкина, цара элира:</verse>
				<verse number="16">«Везачу Элан дерриге а халкъо а хоьтту: „Исраилхойн Далла хьалха хӀун зулам ду аша динарг, Везачу Элана тӀера дӀа а дирзина, шайна сагӀа доккху кхерч а бина, Везачу Элан дуьхьал а девлла?</verse>
				<verse number="17">Иза бахьанехь Везачу Элан халкъана таӀзар дина долу, таханлерчу дийне кхаччалц вай цунах цӀандалаза долу ПаӀора дина зулам кӀезиг дара вайна?</verse>
				<verse number="18">Ткъа шу Везачу Элах дӀадирзина тахана! Шу тахана цунна дуьхьал девлла, ткъа кхана Иза дерриг а Исраилан халкъана оьгӀазгӀур ву.</verse>
				<verse number="19">Шайн долахь долу латта шайна цӀена ца хетахь, Везачу Элан долахь долчу лаьтта тӀе довла. Цу тӀехь Цуьнан деза четар ду. Тхуна юккъехь шайна латта схьаэца, амма Везачу Элана а, тхуна а дуьхьал ма довла, вайн Везачу Далла сагӀа доккхург боцург, кхин кхерч а бай.</verse>
				<verse number="20">Хьарам динчунна тӀера хӀума схьа а эцна, зулам динарг Зерахьан кӀант цхьа Ӏахан бен вацара, ткъа оьгӀазалла берриг а исраилхошна тӀе йоьссира. И цхьаъ велла ца Ӏара шен зулам бахьана долуш“».</verse>
				<verse number="21">Раабанан а, Гадин а тайпанаша а, Маннашан эха тайпано а жоп делира исраилхойн тхьамданашка:</verse>
				<verse number="22">«Деланийн Дела ву Веза Эла, Деланийн Дела ву, Цунна хаьа, Исраилан халкъана а хаьийла! Нагахь тхо, дуьхьал а девлла, Везачу Элах дӀадоьрзуш делахь, кху дийнахь Цо кхел йойла тхуна!</verse>
				<verse number="23">Нагахь оха сагӀа доккху кхерч Везачу Элах дӀакъастархьама бинехь, я цу тӀехь дийнаташ дагоран а, баьпкан а, бертан а сагӀанаш даха бинехь, Везачу Эло Ша таӀзар дойла тхуна!</verse>
				<verse number="24">Оха иза дина, цхьана хӀуманах кхоьруш: тӀейогӀучу хенахь шун кӀенташа тхайчаьрга ца алийта: „Шун хӀун гӀуллакх ду Везачу Элаца, исраилхойн Делаца!</verse>
				<verse number="25">Везачу Эло Йорданах доза дина тхуна а, шуна а юккъехь, Раабанан а, Гадин а тайпанаш: Везачу Элехь шун дакъа дац“. Иштта шун кӀенташа тхайнаш Веза Эла лара тӀебуьтур бацара.</verse>
				<verse number="26">Цундела элира оха, дийнаташ дагоран а, кхин долу а сагӀанашна а боцуш, кхерч бер вай ваьшна.</verse>
				<verse number="27">Дийнаташ дагоран а, кхин долу а сагӀанаш дохуш а, совгӀаташ луш а Везачу Элана гӀуллакх деш тхо хиларан тхуна а, шуна а, вайн тӀаьхьенашна а иза теш хилийта, тӀейогӀучу хенахь шун кӀенташка тхайчаьрга ца алийта: „Везачу Элехь шун дакъа дац“.</verse>
				<verse number="28">Оха бохура, нагахь тхоьга а, тхан тӀаьхьенашка а тӀейогӀучу хенахь иштта алахь, оха эр ду: „Везачу Элана леринчу кхерчан кепехь бина кхерч гой шуна? Иза тхан дайша дийнаташ дагоран а, кхечу тайпанан сагӀанашна а лерина ца бина, тхуна а, шуна а юкъахь теш хилийта бина“.</verse>
				<verse number="29">ТӀе ма догӀийла, Везачу Элана дуьхьал а девлла, Цунах дӀа а къаьстина, дийнаташ дагоран а, баьпкан а, кхин а сагӀанаш даха кхерч бар, вайн Везачу Далла лерина болу, Цуьнан дезачу четарна хьалха боцург».</verse>
				<verse number="30">Пайнехьас а, халкъан тхьамданаш а, исраилхойн эзар стагана тӀехь болу куьйгалхой а, Раабанан а, Гадин а, Маннашан а тайпанех болчара ден къамел а хезна, царна резахилира.</verse>
				<verse number="31">ЭлиӀазаран кӀанта, динан дас Пайнехьаса, элира Раабанан а, Гадин а, Маннашан а тайпанашка: «Тахана вайна хии, Веза Эла вайна юкъахь вуйла, хӀунда аьлча аша Везачу Элана дуьхьал зулам ца дина, хӀинца Цуьнан таӀзарх вайн халкъ кӀелхьардаьккхи аша».</verse>
				<verse number="32">ЭлиӀазаран кӀант волу динан да Пайнехьас а, халкъан куьйгалхой а Раабанан а, Гадин а тайпанаш долчуьра, ГалӀадера, КанаӀан-махка, исраилхошна жоп дахьаш, юхабаьхкира.</verse>
				<verse number="33">Исраилхой реза бара шайна хезначунна, Далла хастам бира цара. Кхин ца дийцира цара, тӀамца дахана, Раабанан а, Гадин а тайпанаш тӀехь Ӏаш болу мохк бохор бу аьлла.</verse>
				<verse number="34">Шаьш бинчу кхерчан цӀе Теш тиллира Раабанан а, Гадин а тайпанаша, хӀунда аьлча иза Веза Эла церан Дела хиларан теш бара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="23">
				<verse number="1">Везачу Эло исраилхой гонах болчу мостагӀех кӀелхьарбаьхначул тӀаьхьа дуккха а хан яьлча, ЮшаӀ, къан а велла, хене вирзинера.</verse>
				<verse number="2">Берриг а исраилхошка схьакхайкхира ЮшаӀа: къаношка а, тхьамданашка а, кхелахошка а, куьйгалхошка а. Цо элира цаьрга: «Со хӀинца, къан а велла, хене а вирзина.</verse>
				<verse number="3">Шуна гина шайн Везачу Дала цу халкъашна динарг, хӀунда аьлча шун Веза Дела Ша вара шун дуьхьа тӀом беш.</verse>
				<verse number="4">Малхбалерчу Йордан-хи тӀера малхбузерчу Дуьненаюккъера хӀорда тӀекхаччалц долу латта шун тайпанашна дакъошкахь дӀаделла ас. Вай хӀинцале хӀаллакдинчу къаьмнийн а, хӀаллакдаза дисинчу къаьмнийн а латта ас дӀаделла шуна.</verse>
				<verse number="5">Шун Везачу Дала Ша, шуна хьалхара дӀа а даьхна, дӀалохкур ду и къаьмнаш, церан латта шуна дӀадалархьама, шун Везачу Дала шуьга ма-аллара.</verse>
				<verse number="6">Цундела, леррина лар а деш, кхочушде Мусан товрат-хьехамийн тептар тӀехь дерг дерриг а, цунна тӀера цхьа гӀулч дӀаса а ца довлуш.</verse>
				<verse number="7">Шайна юкъахь дисинчу халкъех дӀа ма э, церан деланашка а ма кхайкха, цу деланийн цӀарах чӀагӀонаш а ма е, царна гӀуллакх а, Ӏибадат а ма де.</verse>
				<verse number="8">Шайн Везачу Далла тешаме хила, хӀинццалц шаьш ма-хиллара.</verse>
				<verse number="9">Везачу Эло шуна хьалхара сийлахь а, андий а къаьмнаш дӀалаьхкира. Таханлерчу дийне кхаччалц шуна дуьхьало янъелла цхьа а вац.</verse>
				<verse number="10">Шух цхьаммо эзар стаг дӀаэккхаво, хӀунда аьлча шун Веза Дела Ша ву шуьгахьа тӀом беш, Ша шуьга ма-аллара.</verse>
				<verse number="11">Цундела, хьовсалаш, везалаш шайн Веза Дела.</verse>
				<verse number="12">Нагахь шу, юха а девлла, шайна юкъахь дисинчу халкъех дӀакхетахь, аша цаьрца гергарлонаш а тийсахь, захалонаш леладахь,</verse>
				<verse number="13">хаалаш: шун Везачу Дала дӀалохкур дац и халкъаш шу долчуьра. Ткъа уьш шуна гур а, ор а, пӀендаршна тӀе шед а, бӀаьргашна чу баӀ а хилла дӀахӀуьттур ду. Эххар а шу тӀепаза довр ду шун Везачу Дала шайна деллачу исбаьхьчу кху лаьтта тӀера.</verse>
				<verse number="14">Массо а адам даха дезачу новкъа волуш ву со хӀинца. Шайн дагаца а, синца а шуна массарна а хаьа, шун Везачу Дала шуна деллачу ваӀданех кхочуш ца хуьлуш цхьа а ца диснийла. Уьш дерриг а кхочушхилла, цхьа а ца дуьсуш!</verse>
				<verse number="15">Амма, шун Везачу Дала делла массо а ваӀда кхочуш-ма-хиллара, Шен кхерамаш а кхочушбийр бу Цо. ТӀаккха Ша деллачу исбаьхьчу лаьтта тӀера Цо тӀепаза дойур ду шу.</verse>
				<verse number="16">Нагахь шайн Везачу Дала кхочушбе аьлла, шайна тӀебиллина болу Цуьнца бина барт а бохийна, кхечу деланашна аш Ӏибадат дахь, Везачу Элан оьгӀазалла юссур ю шуна тӀе. ТӀаккха Везачу Эло шуна деллачу исбаьхьчу лаьтта тӀера сихха дӀадевр ду шу».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="24">
				<verse number="1">Исраилхойн массо тайпанаш а, къаной а, хьаькамаш а, кхелахой а, тӀехьовсурш а Шехем-гӀалахь гулбира ЮшаӀа. Уьш берриш а Далла хьалха хӀиттира.</verse>
				<verse number="2">Дерриг а халкъе ЮшаӀа элира: «Везачу Эло, исраилхойн Дала, иштта боху: „Эпрат-хил дехьа дукха хенахь дуьйна Ӏийна шун дай. ИбрахӀиман а, Нахьиран а да ТӀахьир а Ӏийна цигахь. Цара кхечу деланашна Ӏамал йора.</verse>
				<verse number="3">Амма Ас шун да ИбрахӀим, хил сехьа а ваьккхина, берриг а КанаӀан-махкахула чекхваьккхира. Цуьнан тӀаьхье а кхиийтира, цунна Исхьакх а велира,</verse>
				<verse number="4">Исхьакхана Якъуб а, Ӏесав а велира. Ӏесавана СеӀир-лам белира тӀаьхьалонна. Якъуб а, цуьнан кӀентий а Мисар-махка дӀабахара.</verse>
				<verse number="5">Ас Муса а, АхӀарон а вахийтира Мисара. Мисархошна тӀе дукха цамгарш хийцира Ас. Цул тӀаьхьа шу цигара арадехира.</verse>
				<verse number="6">Шун дай, Мисар-махкара Ас арабаьхча, Эрзийн хӀорда тӀе баьхкира. Цу хенахь мисархой а шайн гӀудалкхашца а, дошлошца а, царна тӀаьхьабевлла, Эрзийн хӀорда тӀе кхечира.</verse>
				<verse number="7">ТӀаккха шун дай Везачу Эле маьхьарца кхайкхира. Ас шуна а, мисархошна а юккъе бода баийтира. Юха, царна тӀе хӀорд а хецна, уьш хӀаллакбира. Шун бӀаьргашна гина Ас Мисарахь динарг. Юха дуккха а хан яьккхира аша яьссачу арахь.</verse>
				<verse number="8">Йордан-хил дехьа, малхбалехьа, Ӏаш болчу эмархойн лаьтта тӀе далийра Ас шу. Эмархой шух летча, Ас шун кара дӀабелира уьш. Шуна церан латта дисира. Ас хӀаллакбира уьш шуна хьалха.</verse>
				<verse number="9">Муабахойн паччахь, Ципуран кӀант Балакх, гӀаьттира тӀамца исраилхошна дуьхьал. Цо БеӀаран кӀант БалиӀам валавайтира, цуьнга шуна неӀалт кхайкхадайта.</verse>
				<verse number="10">Амма Суна ца лиира БалиӀаме ладогӀа, тӀаккха цо шу декъалдира. Иштта Ас Балакхах кӀелхьардехира шу.</verse>
				<verse number="11">Йордан-хих дехьа а девлла, Ерихоне даьхкира шу. Ерихонан бахархой шух летира. Уьш бара эмархой, перезахой, канаӀанхой, хьетахой, гӀиргӀашахой, хьаьвихой, явсайхой. Амма Ас шун кара дӀабелира уьш.</verse>
				<verse number="12">Ас церан эскарш, дохийна, даржийра, шул хьалха царна тӀе бомозий дахийтича санна. Цара эккхийра шу долчуьра эмархойн ши паччахь. Шун таррашца а, Ӏедашца а дина дацара иза.</verse>
				<verse number="13">Аш тӀехь къа ца хьегна латта делла Ас шуна, аш ца йина гӀаланаш елла, царна чохь Ӏаш ду шу хӀинца. Шаьш йийна йоцчу кемсийн а, зайт-диттийн а бошмашкара стоьмаш боу аша“».</verse>
				<verse number="14">КхидӀа ЮшаӀа элира: «Везачу Элах кхера а кхоьруш, цӀена а, даггара а Цунна Ӏамал е. Эпрат-хил дехьа а, Мисарахь а Ӏачу хенахь шайн дайша Ӏамал йина деланаш дӀа а тасий, Везачу Элана бен Ӏамал ма е.</verse>
				<verse number="15">Нагахь санна Везачу Элана Ӏамал ян шайна ца лаахь, тахана аш къасто деза, шаьш хьанна гӀуллакх дийр ду: Эпрат-хил дехьахь Ӏаш болчу хенахь шайн дайша Ӏамал йинчу деланашна я шаьш церан лаьтта тӀехь Ӏаш долчу эмархойн деланашна. Ткъа аса а, сан цӀийно а Везачу Элана Ӏамал йийр ю».</verse>
				<verse number="16">Халкъо жоп делира: «ХӀан-хӀа, оха Веза Эла дӀа а тесна, кхечу деланашна Ӏамал йийр яц!</verse>
				<verse number="17">Веза Эла тхан Дела ву, Цо тхо а, тхан дай а Мисар-махкара, лоллехь болчуьра, арабаьхна. Цо инзаре хӀуманаш кхочушдина тхан бӀаьргашна хьалха, схьадогӀучу новкъахь тхо Ӏалаш а дина, царна юккъехула чекхдовлучу хенахь, массо а халкъах лар а дина.</verse>
				<verse number="18">Дерриг а халкъаш, шайна юкъахь кху лаьтта тӀехь Ӏийна эмархой а болуш, тхо долчуьра дӀалаьхкина Везачу Эло. Цундела оха Ӏамал йийр ю Цунна, хӀунда аьлча Иза тхан Дела ву».</verse>
				<verse number="19">ЮшаӀа элира халкъе: «Везачу Элана Ӏамал ялур яц шуьга, хӀунда аьлча Иза Веза Эла ву, Цо могуьйтур дац шуна низамехь цахилар а, къинош летор а.</verse>
				<verse number="20">Нагахь Веза Эла дӀа а тесна, хийрачу деланашна аш Ӏамал яхь, шуна дуьхьал а ваьлла, Цо таӀзар дийр ду шуна. Хьалха шуьца дика хиллехь а, Цо хӀаллакдийр ду шу».</verse>
				<verse number="21">Халкъо ЮшаӀе элира: «ХӀан-хӀа, оха Везачу Элана Ӏамал йийр ю».</verse>
				<verse number="22">ЮшаӀа элира нахе: «Шу массо а теш ву, Веза Эла Цунна Ӏамал ян шайна хаьржина хиларх». Цара элира: «Ву! Тхох массо а теш ву!»</verse>
				<verse number="23">«Делахь, шайн хӀинца болу хийра деланаш дӀа а тасий, шайн дегнаш Везачу Элана, исраилхойн Далла, тӀедерзаде», — элира ЮшаӀа.</verse>
				<verse number="24">Халкъо элира ЮшаӀе: «Тхайн Везачу Далла Ӏамал а йийр ю, Цуьнга ла а дугӀур ду оха».</verse>
				<verse number="25">Цу дийнахь Шехемехь халкъаца барт а бина, дан дезарг цунна тӀедиллира ЮшаӀа.</verse>
				<verse number="26">Дала тӀедиллинарг яздинчу тептар тӀе и дерриг а дӀаяздира ЮшаӀа. Юха боккха тӀулг, схьа а эцна, Везачу Элан цӀенна уллохь лаьттачу ножана кӀел охьабиллира цо.</verse>
				<verse number="27">Дерриг а халкъе ЮшаӀа элира: «ХӀара тӀулг вайн теш хир бу. Везачу Эло вайга аьлла дерриг а дешнаш кхунна хезна. Шуна дуьхьал а теш хуьлда и тӀулг, шайн Далла хьалха шуьга харцдерг ца дийцийта».</verse>
				<verse number="28">Юха халкъ дӀадахийтира ЮшаӀа. Массо а шен-шен цӀа, шен декъа тӀе, дӀавахара.</verse>
				<verse number="29">Цул тӀаьхьа Везачу Элан ялхо, Нунин кӀант ЮшаӀ, кхелхира. Цуьнан бӀе итт шо дара.</verse>
				<verse number="30">Шен лаьттан декъа тӀехь, ГаӀаш-ломана къилбаседехьа болчу Эпрайман лам тӀехь лаьттачу Тамнат-Серахь цӀе йолчу гӀалахь, дӀавоьллира иза.</verse>
				<verse number="31">Исраилан халкъо ЮшаӀ дийна волчу хенахь Везачу Элана Ӏамал йора. ЮшаӀ кхелхича, цул тӀаьхьа бисина, Везачу Эло исраилхошна дина дика гӀуллакхаш гина болу къаной болчу хенахь а йора цара Везачу Элана Ӏамал.</verse>
				<verse number="32">Шехемехь дӀайоьхкира исраилхоша Мисар-махкара схьаеана Юсупан даьӀахкаш. Уьш дӀайоьхкина аре Шехеман да волчу Хьамуран кӀенташкара Якъуба эцна яра, бӀе дато ахча а делла. Юсупан кӀенташна кхаьчна дара и лаьттан дакъа.</verse>
				<verse number="33">АхӀаронан кӀант ЭлиӀазар а кхелхира. Цуьнан кӀантана Пайнехьасана Эпраман лам тӀехь беллачу гу тӀехь дӀавоьллира иза.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="7">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">ЮшаӀ кху дуьнен чуьра дӀаваьллачул тӀаьхьа, Исраилан халкъо Везачу Эле хаттар дира: «Тхуна хьалхаваьлла мила ваха веза канаӀанхошца тӀом бан?» — аьлла.</verse>
				<verse number="2">Везачу Эло царна жоп делира: «ЯхӀудан тайпанах берш гӀур бу. Аса хӀара мохк церан кара дӀабелла».</verse>
				<verse number="3">Шайн вежарий болчу ШимӀин тайпане гӀо дийхира ЯхӀудан тайпано: «Тхан вежарий! Кхаж баларна, вайна хӀоранна а латтанаш билгалдаьхна ду. Аша тхуна и латтанаш схьадаха а, цу тӀехь Ӏаш болчу канаӀанхошца тӀом бан а гӀо дахь, оха а шуна гӀо дийр ду шун латтанаш схьадаха». Иштта ШимӀин тайпа а,</verse>
				<verse number="4">ЯхӀудан тайпа а цхьаьна тӀамца тӀедахара цига. Везачу Эло царна гӀо дира канаӀанхой а, перезахой а эшо. Безакх олучу гӀалахь итт эзар стаг вийра цара.</verse>
				<verse number="5">Безакхехь дуьхь-дуьхьал кхийтира уьш Адани-Безакхца, цигахь канаӀанхой а, перезахой а эшийра цара.</verse>
				<verse number="6">Адани-Безакх ведда кӀелхьарвала гӀоьртира, амма кхара, цунна тӀаьхьа а бевдда, иза схьа а лаьцна, цуьнан куьйгийн а, когийн а нана-пӀелгаш дехира.</verse>
				<verse number="7">Адани-Безакха элира: «Аса кхузткъе итт паччахьан куьйган а, когийн а нана-пӀелгаш дӀахедийна, цара сан шуьнна гонахара цуьргаш лехьийна. ХӀинца Дала соьца а и гӀиллакх хӀоттийна». Адани-Безакх Ярушалайме дӀавигна, циггахь цуьнан кхалхар а хилла.</verse>
				<verse number="8">ЯхӀудан тӀаьхьено Ярушалайм-гӀалина дуьхьал тӀом бира, иза схьа а яьккхира. Шайн таррашца цара адамаш дайира, ткъа гӀала ягийра.</verse>
				<verse number="9">Цул тӀаьхьа уьш лаьмнашкахь а, НегӀаб олучу яьссачу арахь а, малхбузехьа болчу гунаш тӀехь а бехаш болчу канаӀанхошца тӀом бан бахара.</verse>
				<verse number="10">ЯхӀудан тӀаьхье Хьевронехь Ӏаш болчу канаӀанхошца тӀом бан яхара (хьалха Хьеврон-гӀалин цӀе Кхиръят-АрбаӀ хилла). Цигахь цо Шешай а, Ахьиман а, Талмай а эшийра.</verse>
				<verse number="11">Цигара бевлча, яхӀудхой Дибар-гӀалин бахархошна тӀелата бахара (Дибар-гӀалин цӀе хьалха Кхиръят-Сапар хилла).</verse>
				<verse number="12">Килаба элира: «Кхиръят-Сапар эша а йина, иза караерзийначуьнга сайн йоӀ Ӏахисат маре дӀалур ю аса».</verse>
				<verse number="13">Килабан вешин Кхеназан кӀанта Ӏотниала и гӀала схьаяьккхира. ТӀаккха Килаба цуьнга шен йоӀ Ӏахисат маре дӀаелира.</verse>
				<verse number="14">Ӏотниал волчу а яхана, иза тешийра цо, шен дега Килабе латта деха деза аьлла. Шен йоӀ вир тӀера охьайоьссича, Килаба цуьнга хаьттира: «Хьуна хӀун оьшу?»</verse>
				<verse number="15">Ӏахисата цуьнга элира: «Декъалъе со. Яьсса НегӀаб-аре ахьа суна елла, хӀинца цхьадолу хин хьостанаш а ло суна». Килаба цуьнан дехар кхочушдира: лакхара а, лахара а хин хьостанаш дӀаделира цо цунна.</verse>
				<verse number="16">Мусан стунда волчу кхенахочун Итаран тӀаьхье, яхӀудхошца хурма-диттийн гӀалара дӀа а яхана, ЯхӀуд-мехкан яьссачу аренга цигахь бехаш болчу нахана юкъахь Ӏен дӀаяхара. И меттиг яра Ӏарод-гӀалина генахь йоццуш.</verse>
				<verse number="17">ЯхӀудхой шимӀахошца цхьаьна Цепат-гӀалахь бехаш болчу канаӀанхошна тӀелетира, ерриг гӀала йоха а еш. Цундела тиллина цу гӀалин цӀе Хьорма аьлла (иза «йохар» бохург ду).</verse>
				<verse number="18">ЯхӀудхоша иштта Ӏази-гӀала а, Ашкхилун а, Ӏекхран а царна гонах долчу латтанашца цхьаьна схьаехира.</verse>
				<verse number="19">Веза Эла ЯхӀуд-тайпанехьа вара, цундела цуьнга лаьмнаш а схьадахаделира, амма шерачу аренгахь болу бахархой цуьнга къар ца лора, хӀунда аьлча цаьргахь аьчка гӀудалкхаш яра.</verse>
				<verse number="20">Мусас ма-аллара, Килабе Хьеврон дӀаелира, ткъа цо Ӏаьнакхан кхо кӀант цигара лаьллина дӀавахийтира.</verse>
				<verse number="21">Амма бен-яманхошка Ярушалаймера явсайхой дӀа ца лахкабелира. Уьш хӀинца а Ярушалаймехь Бен-Яманан тӀаьхьенна юкъахь бехаш бу.</verse>
				<verse number="22">Юсупан тӀаьхье Бетал-гӀалина тӀелетира. Веза Эла цаьрца вара.</verse>
				<verse number="23">Юсупан тӀаьхьено нах бахийтира, Бетал-гӀалина таллам бе аьлла (хьалха цу гӀалин цӀе Луз хилла).</verse>
				<verse number="24">Тергам беш болчарна, цу гӀалара ара а ваьлла, схьавогӀуш цхьа стаг гира. Цара цуьнга элира: «ГӀалина чувоьдуш йолу меттиг схьагайта тхуна. Оха цхьана а тайпана бохам бийр бац хьуна».</verse>
				<verse number="25">Цо царна гӀалина чу муха ваха веза гайтира. Юсупан тӀаьхьенах болчара цу гӀалара бахархой, шайн тарраш детташ, байира. Ткъа и стаг а, цуьнан доьзал а маьрша дӀабахийтира.</verse>
				<verse number="26">Иза, хьетахойн латта долчу дӀа а вахана, ваха хиира. Цо кхоьллина ю Луз цӀе йолу гӀала. И цӀе хӀинца а йоккхуш ю.</verse>
				<verse number="27">Цхьаболу канаӀанхой Байт-Шан, ТаӀнак, Дор, ИбалӀам, МагӀидда олучу гӀаланашкахь Ӏаш бара. Маннашан тӀаьхьенах болчаьрга уьш цигара ара ца бахабелира. КанаӀанхой цигахь баха бисира.</verse>
				<verse number="28">Исраилан халкъ, са чу а деана, дӀахӀоьттича, цара канаӀанхошка шайна белхаш байтира. Цара уьш дӀа а ца лаьхкира.</verse>
				<verse number="29">Эпрайман тайпанан а ницкъ ца кхечира ГӀазарахь бехаш болу канаӀанхой цу лаьтта тӀера дӀабаха. Эпрайман тӀаьхьенца цхьаьна уьш цигахь баха бисира.</verse>
				<verse number="30">Забулан нехан а ницкъ ца кхечира Кхитрунахь а, НахӀлалахь а Ӏаш болу канаӀанхой дӀабахийта. Шайн латтанаш тӀера дӀа а ца бахабелла, Забулан тӀаьхье йолчохь бехаш бара уьш, шаьш, кхузахь болх бе аьлла, дӀахӀиттийнехь а.</verse>
				<verse number="31">Ашарарчу халкъо а дӀа ца лаьхкира Ӏакхора а, ЦӀаданера а, Ахьалабара а, Ахзибара а, Хьелбара а, Апикхара а, Рахьубара а бахархой.</verse>
				<verse number="32">Ашаран некъий цу махкара болчу канаӀанхошца бехаш Ӏаш бара, хӀунда аьлча уьш цаьрга цигара дӀа ца лахкабелира.</verse>
				<verse number="33">Напталан наха а ца лаьхкира дӀа Байт-Шамашера а, Байт-Ӏанатара а бахархой. Уьш царна юкъахь баха хевшира, цаьрга шайна хьалхара болх а бойтуш.</verse>
				<verse number="34">Эмархоша Данан тайпанан нах лаьмнашка баха ховшийтира. Цара уьш шерачу аренга охьабовла ца буьтура.</verse>
				<verse number="35">Эмархоша сацам бира Хьерас-лам тӀе баха ховша — Айлонехь а, ШаӀалбанахь а. Амма тӀаьхьо Юсупан тӀаьхье чӀагӀъелла дӀахӀоьттича, цара эмархошка а шайна болх бойтура.</verse>
				<verse number="36">Эмархойн лаьттан доза Акхрабайм цӀе йолчу ламанан Ӏинна тӀера СилаӀана тӀекхаччалц Ӏуьллуш дара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Галгалара Бухиме а деана, Везачу Элан Малико элира: «Мисар-махкара ара а даьхна, Айса шун дайшна ваӀда динчу лаьтта тӀе схьадалийна Аса шу. Цу хенахь Аса элира: „Айса шуьца бина болу барт Аса цкъа а бохор бац.</verse>
				<verse number="2">Ткъа шун а, кху лаьтта тӀехь Ӏаш болчу нахаца барт а хилла, Ӏан йиш яц. Аша церан сагӀа доккхуш йолу меттигаш хӀаллакьян еза“. Амма аша Сан дешнашка ла ца дуьйгӀира. ХӀунда дина аша иза?</verse>
				<verse number="3">Ткъа хӀинца Аса шуьга боху: „Аса и нах шун лаьтта тӀера дӀалохкур бац. Уьш шуна мостагӀий хилла дӀахӀуьттур бу, ткъа церан харцделанаш шуна гур хилла дӀахӀуьттур бу“».</verse>
				<verse number="4">Везачу Элан Малико шайга аьлла долу дешнаш дӀахезча, Исраилан халкъ доьлхуш дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="5">Цундела ю цу меттиган цӀе Бухим (иза «доьлхурш» бохург ду). Цигахь цара Везачу Элана сагӀанаш дехира.</verse>
				<verse number="6">ЮшаӀа исраилхой дӀасабахийтира. ХӀора исраилхо шен-шен доьзалан латта доладаккха дӀавахара.</verse>
				<verse number="7">ЮшаӀ дийна мел ву, Везачу Элана гӀуллакх деш схьадеара Исраилан халкъ. ЮшаӀ кхелхинчул тӀаьхьа а, Везачу Эло Исраилан халкъан дуьхьа динарг гина болу къаной коьртехь болчу хенахь а Цунна гӀуллакх деш схьабаьхкира уьш.</verse>
				<verse number="8">Везачу Элан лай волу Нунин кӀант ЮшаӀ дӀакхелхира шен бӀе итт шо долчу хенахь.</verse>
				<verse number="9">Исраилан халкъо иза шен лаьтта тӀехь Тамнат-Хьарасехь дӀавоьллира. Иза яра Эпрайман лаьмнаш долчохь болчу ГаӀаш-ломана къилбаседехьара йолу меттиг.</verse>
				<verse number="10">И массо а тӀаьхье дӀаяьлча, царах схьабевлла нах тӀекхиира. Царна Веза Эла а ца вевзара я Исраилан халкъана Цо дина долу гӀуллакх а ца хаьара.</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха Везачу Элана зуламе хеташ долу хӀуманаш шайгара дуьйлуьйтура исраилхоша, БаӀал-деланашна Ӏамал а еш.</verse>
				<verse number="12">Исраилан халкъо Везачу Элана, шайн дай Мисар-махкара арабаьхначу Далла, букъ берзийра. Уьш шайна гонах долчу халкъийн харцделанашна гӀуллакх дан буьйлабелира. Цара Веза Эла шайна чӀогӀа оьгӀазвахийтира.</verse>
				<verse number="13">Исраилан халкъ, Везачу Элана тӀаьхьара дӀа а даьлла, БаӀал а, Ӏаштарт а цӀераш йолчу харцделанашна тӀаьхьахӀиттира.</verse>
				<verse number="14">Веза Эла Исраилан халкъана чӀогӀа оьгӀазвахана вара. Цундела Цо уьш талорхойн кара дӀабелира, церан мостагӀашка уьш эша а байтира. Цундела Исраилан халкъ мостагӀашна дуьхьал ца латтаделира.</verse>
				<verse number="15">Исраилан халкъо миччахь тӀом бича а, иза эшна хуьлура, хӀунда аьлча, Ша ма-аллара, Веза Эла царна дуьхьал вара. Цундела Исраилан халкъ чӀогӀа балехь дара.</verse>
				<verse number="16">Везачу Эло царна мехкан куьйгалхой хоржура. Цара уьш талораш деш лелаш болчарах ларбора.</verse>
				<verse number="17">Амма халкъо цаьрга а ла ца дугӀура. Кхечу деланашна тӀе а дирзина, царна корта а бетташ, лелара Исраилан халкъ. Шайн дайша Везачу Эло бохург а деш, цара дӀакхехьначу некъа тӀера сихха дӀадаьллера адам.</verse>
				<verse number="18">Юх-юха а Везачу Эло царна мехкан куьйгалхо воуьйтура. Иза Ша вара цу куьйгалхошца, цаьргахула халкъ кӀелхьара а доккхура Везачу Эло. Царна ницкъ беш, церан узарш хазарна, къинхетам бора Везачу Эло царах.</verse>
				<verse number="19">Амма мехкан куьйгалхо кхелхина воллушехь, халкъ юха а шайн дайша чул а чӀогӀа къинош лето долалора, харцделанашна корта а бетташ. Исраилан халкъ, чӀогӀа юхахьадаьлла, шаьш дӀахьош болчу харцнекъана тӀера дала лууш дацара.</verse>
				<verse number="20">Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара Исраилан халкъана. Цо элира: «И халкъ, Аса шайн дайшца бина болу барт бохош, схьадогӀуш ду, цо Соьга ла ца дугӀу.</verse>
				<verse number="21">ЮшаӀ веллачул тӀаьхьа цо кхузахь тӀаьхьадитина кхидолу къаьмнаш хӀинцачул тӀаьхьа дӀакъехкор дац Ас, исраилхошна некъ боккхуш.</verse>
				<verse number="22">Исраилан халкъ зерхьама, Аса и къаьмнаш шаьш долчохь дуьтур ду. Со хьожур ву Везачу Эло шайна гайтинчу некъа тӀехула дӀадаха и къам доьналла долуш дуйла, шайн дай ма-хиллара».</verse>
				<verse number="23">Везачу Эло и къаьмнаш шаьш долчохь дитира, дӀа ца лохкуш, ЮшаӀан кара а ца дахийтира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">Цхьадолу къаьмнаш цу лаьтта тӀехь а дитина, цкъа а канаӀанхойн махкахь тӀом база болу исраилхой зен лууш хилла Веза Эла.</verse>
				<verse number="2">Цо иштта динера, Исраилан халкъан тӀаьхьенах тӀом база болчарна тӀеман гӀуллакх карадерзийтархьама.</verse>
				<verse number="3">Везачу Эло цу лаьтта тӀехь дитинчу къаьмнийн цӀераш хӀорш ю: пӀелаштамхойн пхеа гӀалин волу пхи куьйгалхо а, массо а канаӀанхой а, цӀаданхой а, Ливанун-лаьмнашкахь БаӀал-Хьермон-лам болчуьра дуьйна Хьаматан лаьмнийн дехьадовларан меттигна тӀекхаччалц бехаш болу хьаьвихой а.</verse>
				<verse number="4">И къаьмнаш дитина хилла цаьргахула исраилхой зерхьама, цара Везачу Эло Мусагахула шайна тӀедиллинарг кхочушдойла хьожуш.</verse>
				<verse number="5">Иштта исраилхой бехаш Ӏаш хилла канаӀанхошний, хьетахошний, эмархошний, перезахошний, хьаьвихошний, явсайхошний юкъахь.</verse>
				<verse number="6">Церан зудабераш шайна маре а далош, шайн зудабераш церан кӀенташка маре дӀа а дохуьйтуш, церан деланашна гӀуллакх а деш, Ӏаш хилла уьш.</verse>
				<verse number="7">Везачу Элана зуламе хеташ долу хӀуманаш шайгара дуьйлуьйтура исраилхоша. Шайн Веза Дела виц а вина, БаӀал а, Ӏаштарт а цӀераш йолчу харцделанашна Ӏибадат дора цара.</verse>
				<verse number="8">Веза Эла оьгӀазвахара Исраилан халкъана. Цундела Цо иза Арам-махкарчу паччахьан Кушан-Рашхьатайман кара дӀаделира. БархӀ шарахь Ӏийра Исраилан халкъ Кушан-Рашхьатайман куьйга кӀелахь.</verse>
				<verse number="9">ТӀаккха Исраилан халкъ Везачу Эле орца дохуш дӀахӀоьттира. Цундела Везачу Эло Килабан жимах волчу вешин Кхеназан кӀант Ӏотниал вахийтира цига. Цо исраилхой кӀелхьара а бехира.</verse>
				<verse number="10">Везачу Элан Са охьадоьссинера Ӏотниалана тӀе, иза Исраилан мехкан куьйгалхо хилла дӀахӀоьттира. Иза тӀом бан аравелира. Ткъа Везачу Эло цуьнан кара Араман паччахь волу Кушан-Рашхьатайман дӀавелира, цундела Ӏотниала цунна тӀехь толам а баьккхира.</verse>
				<verse number="11">Шовзткъа шарахь машар лаьттира цу лаьтта тӀехь. Цул тӀаьхьа Кхеназан кӀант Ӏотниал кхелхира.</verse>
				<verse number="12">Исраилхой юха а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш лело буьйлабелира. Цундела Везачу Эло муабахойн паччахь волчу ӀегӀлонна Исраилан халкъана дуьхьалхӀотта ницкъ белира.</verse>
				<verse number="13">Цо, Ӏамалекхахой а, Ӏамминхой а ша волчу схьа а гулбина, цаьрца цхьаьна исраилхой эшийра, хурма-диттийн гӀала кара а ерзош.</verse>
				<verse number="14">Муабахойн паччахь волчу ӀегӀлонан куьйга кӀелахь хилира исраилхой берхӀитта шарахь.</verse>
				<verse number="15">Халкъо юха а Везачу Эле, мохь бетташ, орца дехира. Ткъа Везачу Эло Бен-Яманан тайпанах волчу Герин кӀант АхӀуд вахийтира Исраилан халкъ кӀелхьардаккха. Иза ша гезолг вара. Исраилан халкъо АхӀуд вахийтира муабахойн паччахь волчу ӀегӀлонна совгӀаташ эцна.</verse>
				<verse number="16">Цо шена, цхьа дол еха а йолуш, шинна а агӀор ира а йолуш, шаьлта кечйинера. И шаьлта цо шен бедаршна бухахь аьтту хаьн тӀехь дӀайихкинера.</verse>
				<verse number="17">АхӀуд, совгӀаташ а эцна, муабахойн паччахь волчу вахара. ӀегӀлон ша чӀогӀа зоьртала стаг вара.</verse>
				<verse number="18">СовгӀаташ дӀаделлачул тӀаьхьа, АхӀуда уьш схьадахьаш шеца баьхкина болу нах дӀабахийтира.</verse>
				<verse number="19">Галгалахь лаьтташ болчу тӀулган цӀушна уллохула дӀавоьдуш волчуьра юха а вирзина, цо паччахье элира: «Паччахь, сан хьоьга къайлаха ала дезаш хӀума ду». «ЛадогӀалаш! ДӀате!» — элира паччахьо. Цунна гӀуллакх деш болу массо а нах арабевлира.</verse>
				<verse number="20">АхӀуд паччахь волчу чувахара. ӀегӀлон шийлачу лакхарчу цӀа чохь Ӏаш вара. АхӀуда цуьнга элира: «Делера дош ду сан хьоьга дӀаала дезаш». Паччахь шен гӀанта тӀера хьалагӀаьттира.</verse>
				<verse number="21">АхӀуда аьтту хаьн тӀехь кхозуш йолу шаьлта, аьрру куьйгаца схьа а яьккхина, паччахьан гайх чекхъяьккхира.</verse>
				<verse number="22">Шаьлта, ираллина тӀаьххье мукъ а хьуллуш, кӀорга чуяхнера. Паччахьан гай чохь йолчу махьарша шаьлтанан мукъ къайлабаьккхинера. Цундела АхӀуда шаьлта ша йолччохь йитира. Чов йинчу меттехула чуьйраш араевлира.</verse>
				<verse number="23">АхӀуд ученехула аравелира, шена тӀаьхьара лакхарчу чоьнан неӀарш дӀа а къовлуш.</verse>
				<verse number="24">Иза араваьллачул тӀаьхьа, ӀегӀлонан ялхой схьабаьхкира. НеӀ дӀакъевлина шайна гича, цара элира: «Шен гӀуллакх дан сецна хир ву иза шийлачу цӀа чохь».</verse>
				<verse number="25">Ялхой собардеш дуккха а Ӏийра, амма лакхарчу цӀийнан неӀ цхьаммо а схьа ца йиллира. ДогӀа схьа а эцна, неӀ схьайиллира цара. Лаьттахь велла Ӏуьллуш волу шайн олахо гира царна.</verse>
				<verse number="26">Ялхой паччахь араваларе хьоьжуш лаьттинчу юкъана АхӀуд къайлавелира. ЦӀушна уллохула тӀех а ваьлла, иза СаӀирахь кӀелхьарвелира.</verse>
				<verse number="27">Цига схьа а веана, Эпрайман лаьмнашкахь коьман маӀа лекхира АхӀуда. Цу маӀан аз шайна хезча, Исраилан халкъ схьагулделира. АхӀуд хьалхаваьлла а волуш, уьш лаьмнаш тӀера охьабиссира.</verse>
				<verse number="28">АхӀуда цаьрга элира: «Суна тӀаьхьахӀитта! Везачу Эло шун мостагӀий болу муабахой эшо ницкъ белла шуна». Халкъ АхӀудана тӀаьхьахӀоьттира. Цуьнца цхьаьна цара Йордан-хи тӀехула муабахойн махка дехьаволийла схьалецира, цхьа а стаг дехьа а ца волуьйтуш.</verse>
				<verse number="29">Цара итт эзар нуьцкъала, тоьллачу дегӀахь волу муабахо вийра, цхьа а кӀелхьара ца волуьйтуш.</verse>
				<verse number="30">Иштта цу дийнахь исраилхоша шайн караберзийра муабахой. Дезткъа шарахь машар лаьттира цу лаьтта тӀехь.</verse>
				<verse number="31">Цул тӀаьхьа кхин а цхьана стага кӀелхьардаьккхира Исраилан халкъ. Иза вара Ӏанатин кӀант Шамгар. Цо стерчашна тухуш йолчу гӀожаца ялх бӀе пӀелаштамхо вийра.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">АхӀуд веллачул тӀаьхьа а исраилхой юха а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш лело буьйлабелира.</verse>
				<verse number="2">ТӀаккха Везачу Эло канаӀанхойн паччахьна Ябинна кара схьаделира Исраилан халкъ. Ябин Хьацорахь паччахьалла деш вара. Цуьнан тӀеман куьйгалхо вара Хьаршат-Гойимахь вехаш волу Сисра.</verse>
				<verse number="3">Сисрин эчигах йина исс бӀе гӀудалкх яра. Цо ткъа шарахь чӀогӀа хьийзийра Исраилан халкъ. Цундела исраилхой юха а Везачу Эле, мохь бетташ, орца даха буьйлабелира.</verse>
				<verse number="4">Цу заманчохь Исраилан мехкан куьйгалхо яра шеца пайхамаралла долуш йолу Дебира. Иза Лапдатин зуда яра.</verse>
				<verse number="5">Иза Дебирин хурмин диттана кӀелахь охьахуура. И дитт Раминий, Бетал-гӀалиний юккъехь, Эпрайман лаьмнашкахь лаьтташ дара. Дебира йолчу исраилхой богӀура цуьнга шайна юкъахь кхел яйта.</verse>
				<verse number="6">Дебирас, Наптал-махкарчу Кхедашара Аби-НуӀаман кӀант Баракх ша йолчу схьа а кхайкхина, цуьнга элира: «Исраилан халкъан Везачу Дала хьуна тӀедуьллу: „Ваха а гӀой, Напталинний, Забуланний тӀаьхьенах волу итт эзар стаг вовшах а тохий, уьш Табур-лам тӀе дӀабига.</verse>
				<verse number="7">Ткъа Аса Къишун-хи йисте Ябинан эскаран куьйгалхо волу Сисра а, цуьнан гӀудалкхаш а, эскар а, цига дӀа а далийна, хьан кара дӀалур ду“».</verse>
				<verse number="8">Баракха Дебирига элира: «Хьо соьца ягӀахь, со цига гӀур ву, ца ягӀахь, гӀур вац».</verse>
				<verse number="9">Дебирас цуьнга элира: «Со-м йогӀур ю хьоьца, амма хаалахь: Сисра эшийначул тӀаьхьа халкъо сий деш верг хьо хир вац хьуна. Везачу Эло зудчуьнга эшавойтур ву Сисра». Дебира Баракхца Кхедаш-гӀала дӀаяхара.</verse>
				<verse number="10">Баракха Забулан а, Напталан а тӀаьхьенах болу нах Кхедаше схьакхайкхира. Итт эзар стаг тӀаьхьахӀоьттира цунна. Дебира а яхара цуьнца.</verse>
				<verse number="11">Цигахь, Хьебар цӀе а йолуш, кхенахойх волу цхьа стаг вара. Иза шен халкъах дӀакъаьстинера. (Кхенахой Муса-пайхамаран стунваша волчу Хьабабан тӀаьхьенах бу). Хьабаба шен четар Кхедашана уллохь йолчу ЦаӀнаним цӀе йолчу меттехь ножан хьунна уллохь дӀахӀоттийнера.</verse>
				<verse number="12">Сисрина хиира, Аби-НуӀаман кӀант Баракх Табур цӀе йолчу лам тӀе ваьллийла.</verse>
				<verse number="13">Шен эчигах йина йолу исс бӀе гӀудалкх схьа а ялийна, шен халкъ а схьа а кхайкхина, уьш Хьаршат-Гойимара Къишун-хи долчу дӀахьажийра цо.</verse>
				<verse number="14">Дебирас Баракхе элира: «Тахана Везачу Эло Сисра эшо ницкъ лур бу хьуна. Вало, Веза Эла хьуна хьалхаваьлла хир ву». Баракх, шеца итт эзар стаг а волуш, Табур-лам тӀера охьавоьссира.</verse>
				<verse number="15">Баракха туьраца беш болчу тӀамехь Сисра а, цуьнан гӀудалкхаш тӀехь болу нах а бохийна хьовзийра Везачу Эло. Царна ца хаьара, шаьш хӀун дан деза. Ткъа Сисра, гӀудалкха тӀера охьа а воьссина, гӀаш ведда дӀавахара.</verse>
				<verse number="16">Сисрин гӀудалкхашна а, эскарна а тӀаьхьавелира Баракх. Цара уьш Хьаршат-Гойиме кхаччалц, лаьхкина, дӀабигира, дийна цхьа а стаг ца вуьтуш.</verse>
				<verse number="17">Сисра Хьебаран зудчун ЯӀалан четар долчу ведда схьавеара. Хьебар ша кхенахо вара, ткъа цуьнан цӀа хьацорхойн Ябин-паччахьца бертахь Ӏаш дара.</verse>
				<verse number="18">ЯӀал Сисрина дуьхьал араелира. Цо цуьнга элира: «Чувола со йолчу, сан эла. Кхера а ца кхоьруш, чоьхьавала». Сисра цуьнан четар чу велира. ЯӀала цунна тӀе шаршу тесира.</verse>
				<verse number="19">Сисрас цуьнга элира: «Со чӀогӀа хьагвелла. Суна жимма хи лохьа». ЯӀала, шура чохь йолу пӀаьлдиг схьа а баьстина, цуьнга шура а малийтина, цунна юха а тӀе хӀума тесира.</verse>
				<verse number="20">Сисрас ЯӀале элира: «Четарна чувогӀийла долчу дӀа а хӀоттий, цхьаммо хьайга: „Кхузахь цхьа а стаг вуй?“ — аьлла, хаттар дахь, „Вац“ — алий, жоп лолахь».</verse>
				<verse number="21">ЧӀогӀа кӀадвелла волчу Сисрина наб кхийтира. ЯӀал, четар чӀагӀдеш тухуш йолу дечиган хьостам а, варзап а схьа а эцна, меллаша цунна тӀе яхара. Сисра лаьттах дӀа а тухуш, лергъагӀонна тӀе варзап а тоьхна, дечиган хьостам чекхбаьккхира цо. Иза велира.</verse>
				<verse number="22">Сисра лоьхуш лелаш волу Баракх ЯӀалан четарна тӀе кхечира. Цунна дуьхьал ара а яьлла, ЯӀала элира: «Чувола, аса гойтур ву хьуна ахьа лоьхуш верг». Баракх чоьхьаваьлча, цунна гира, лергъагӀонах боллуш хьокха а болуш, велла Ӏуьллуш волу Сисра.</verse>
				<verse number="23">Цу дийнахь Везачу Эло Исраилан халкъана хьалхахь эшийра канаӀанхойн паччахь волу Ябин.</verse>
				<verse number="24">Исраилан халкъ де дийне мел дели а ницкъ алсамболуш лаьтташ дара, цара Ябин хӀаллаквина дӀаваккхалц.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">Сисра вийначу дийнахь Дебирассий, Аби-НуӀаман кӀанта Баракхий хӀара назма элира:</verse>
				<verse number="2">«Исраилхойн баьччанаш хьалхабевлла арабовларна а, халкъ лараме хьалагӀаттарна а, хаставе Веза Эла!</verse>
				<verse number="3">ЛадогӀалаш, паччахьаш! Тергаме хилалаш, хьалдолу нах! Хьуна дӀаолу аса хӀара назма, ва Веза Эла. Исраилан халкъан Везачу Далла хастам а бо ас.</verse>
				<verse number="4">Веза Эла, Хьо, СеӀирера ара а ваьлла, Эдоман аренгахула схьавогӀучу хенахь, латта дегош дара, стигалш тӀадамаш ледош яра, мархаш догӀа Ӏенош яра.</verse>
				<verse number="5">Лаьмнаш дегош дара Везачу Элана хьалхахь, ур-атталла хӀара Синай-лам а бегабора Исраилан халкъан Везачу Далла хьалха.</verse>
				<verse number="6">Ӏанатин кӀант Шамгар паччахьалла деш волчу хенахь а, ЯӀалан заманашкахь а некъахой шайн эмкалийн ковранашца юьстахчу некъашкахула лелара, ткъа некъаш даьсса дара.</verse>
				<verse number="7">Исраилан махкахь йолчу ярташкахь кхин ца Ӏийра, со, Дебира, гӀатталц, ца Ӏийра цигахь нах, Исраилан халкъан нана со хилла дӀахӀотталц.</verse>
				<verse number="8">Уьш керлачу деланашна тӀаьхьахӀиттича, гӀалин кевнна улло тӀом беана схьакхечира. Шовзткъа эзар стаг шена юкъахь а волуш долчу Исраилан эскарехь я турс а, я гоьмукъ а ца карийра.</verse>
				<verse number="9">Исраилан мехкан куьйгалхой, сан дог шуьца ду. Шен даго ма-хьоьхху, халкъана юкъара хьалагӀевттинчаьрца ду. Хастам хуьлийла Везачу Элана!</verse>
				<verse number="10">КӀайн варраш тӀехь дӀадоьлхурш а, нуьйра тӀехь хиъна Ӏийраш а, гӀаш дӀадоьлхурш а, ойла елаш Везачу Эло диначун!</verse>
				<verse number="11">Руьйтанахь бежанаш схьагуллучохь хезаш ду адамийн аьзнаш. Цигахь Везачу Элан нийсачу толамашна хастам беш бу, Исраилан махкара Цуьнан халкъо баьккхинчу толамашна: Хьала а гӀаьттина, Везачу Элан халкъ гӀалин кевнашна тӀедахара.</verse>
				<verse number="12">ХьалагӀатта, Дебира, хьалагӀатта! Хьайн назма дӀаала! ХьалагӀатта, Аби-НуӀаман кӀант Баракх, шайна йийсар динарш схьалеца!</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха халкъ Сарид-юьрта охьадоьссира, куьйгалхошна дуьхьал. Везачу Элан халкъ соьца цхьаьна майрачарна дуьхьалделира.</verse>
				<verse number="14">Ӏамалекхахь орамаш хилларш Эпрайм-махкара схьабогӀура, ва Бен-Яманан тайпа, хьоьца болу нах хьуна тӀаьхьа хӀиттина. Макир волчуьра схьабогӀура куьйгалхой, Забулан тӀаьхьенан хьаькамаш а схьабаьхкина.</verse>
				<verse number="15">Иссарханан элий а Дебирица бара, Иссарханан тайпа иштта Баракхца дара. Цунна тӀаьхьа тогӀи чу араделира иза. Раабанан тайпанна юкъахь доккха дар-дацар дара лаьтташ.</verse>
				<verse number="16">ХӀунда Ӏа хьо гӀотанашна юкъахь хиъна, бажа Ӏоьхуш ла а доьгӀуш? Раабанан тӀаьхьенна юккъе даккхий дар-дацарш ма деана.</verse>
				<verse number="17">ГалӀадара халкъ Йордан-хил дехьа дисира. Ткъа Данан тайпа хӀунда дисира хинкеманашца? Ашаран тайпа хӀордан йистехь дисира, йисте догӀийла йолчохь.</verse>
				<verse number="18">Амма Забулан а, Напталан а халкъаша, шайн дахар ца кхоош, лаьмнашкахь тӀом бира.</verse>
				<verse number="19">Паччахьаш вовшахлата схьабаьхкира, канаӀанхойн паччахьаша тӀом бира. ТаӀнакахь, МагӀиддан хиш долчохь, и хилла, амма дато хӀонс ца кхечира царна цигара.</verse>
				<verse number="20">Стигалара седарчий а дара вовшахлеташ. Уьш шайн некъашкахь Сисрица тӀом беш дара.</verse>
				<verse number="21">Къишун-хино дӀабаьхьира уьш. Чехка доьдуш долу хи ма ду иза. Сан са, нуьцкъала хьалхадалий, дӀагӀо!</verse>
				<verse number="22">ТӀаккха Сисрин говрийн бергаш схьайогӀуш яра, цара ден татанаш схьахезаш дара.</verse>
				<verse number="23">„НеӀалт хуьлда Мераз-гӀалина, — элира Везачу Элан Малико, — Билггал неӀалт хуьлда цуьнан бахархошна, цара Везачу Элана гӀо ца дарна, шайн майрачу тӀемалошца цхьаьна“.</verse>
				<verse number="24">Декъала хуьлда кхенахо волчу Хьебаран зуда ЯӀал! Четарш чохь бехаш болчу зударшна юкъахь декъала хуьлда иза!</verse>
				<verse number="25">Сисрас мала хи дехча, цо цунна шура елира. Элашна хьалхахь лелош болчу кеда чуьра схьа а йоьттина, мустъелла шура елира.</verse>
				<verse number="26">Шен четар чуьра ара а яьлла, хьокха схьа а эцна, аьтту куьйга варзап схьаийцира цо. И хьокха Сисрин лергъагӀонах чекхбаьккхира цо.</verse>
				<verse number="27">Цуьнан когаш тӀе а тевжина, иза циггахь воьжна Ӏуьллуш вара. Цуьнан когаш тӀе таьӀӀинчохь валар а хилира цуьнан.</verse>
				<verse number="28">Корах арахьоьжуш яра Сисрин нана. Цо елхарца хаьттира: „Сан кӀентан гӀудалкх хье хӀунда елла? ХӀунда ца хеза цуьнан говрийн бергийн тата?“</verse>
				<verse number="29">Хьекъал долуш болчу цуьнан ялхоша жоп лора цунна, цо ша-шена ма-даллара:</verse>
				<verse number="30">„Схьахетарехь, уьш, хӀонс а карийна, шайна юкъахь иза йоькъуш хир бу. ТӀемалоша хӀораммо а шайна цхьаъ я ши йоӀ схьаоьцуш хир ю. ХӀонс юкъара бес-бесара бедарш Сисрас шена схьахоржу. ХӀонс юкъара бес-бесара юьйцина цхьа бедар а, бес-бесара тир яьккхина ши бедар а хӀонс яьккхинчун коча уллу“.</verse>
				<verse number="31">Иштта хӀаллакьхуьлийла Хьан берриг а мостагӀий, Веза Эла! Ткъа Хьо везаш берш, шен нуьцкъаллица схьакхетта богӀуш болу малх санна, ницкъ болуш хуьлийла!» Шовзткъа шарахь лаьтта тӀехь машар лаьттира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="6">
				<verse number="1">Исраилан халкъ юха а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш лело доладелира. Цундела Везачу Эло уьш ворхӀ шарна маданхойн кара дӀабелира.</verse>
				<verse number="2">Исраилхошца чӀогӀа къиза бара маданхой. Шаьш маданхойн баланах кӀелхьардаха, исраилхоша лаьмнаш юккъехь къайлах йолу меттигаш а, хьехаш а, чӀагӀйина меттигаш а лехира шайна.</verse>
				<verse number="3">ХӀоразза а исраилхоша хӀума дӀайийча, маданхой а, Ӏамалекхахой а, иштта малхбалехьа Ӏаш долу къаьмнаш а, схьа а догӀий, царна тӀелетара.</verse>
				<verse number="4">Церан четарш Исраилан лаьтта тӀехь лаьтташ дара, цара дӀайийна мел йолу хӀума Ӏази-гӀалина тӀекхаччалц йолчу меттигашкахь хӀаллакйора, исраилхошна я уьстагӀ а, я сту а, я вир а ца юьтуш.</verse>
				<verse number="5">Маданхоша, Исраилан лаьтта тӀе а баьхкина, цигахь шайн четарш дӀахӀиттийра. Цара шайца шайн доьзалш а, шайн бежанаш а схьадалийнера. Уьш, цӀоз санна, дукха бара, церан эмкалш а ягар ца яллал дукха яра. Цу лаьтта тӀе а баьхкина, цара массо а хӀума хӀаллакдинера.</verse>
				<verse number="6">ЧӀогӀа къийделира Исраилан халкъ маданхоша дина зенаш бахьанехь. Исраилан халкъо, мохь туххуш, Везачу Эле орца дехира.</verse>
				<verse number="7">Исраилхоша шайна маданхоша дина зенаш бахьана долуш Везачу Эле гӀо дехча,</verse>
				<verse number="8">Везачу Эло уьш болчу пайхамар вахийтира. Исраилан халкъе пайхамаро элира: «Исраилан халкъан Везачу Дала шуьга боху: „Мисар-махкара шу арадаьхнарг Со ву. Лоллин цӀа чуьра арадехира ас шу.</verse>
				<verse number="9">Мисархойх шу паргӀатдехира Ас, кхузахь шуна ницкъ беш болчу массеран карара кӀелхьардехира. Шуна уллора уьш дӀа а лаьхкина, церан латта шуна дӀаделира Аса.</verse>
				<verse number="10">Ас шуьга элира: ‘Со ву шун Веза Дела. Ӏамал ма елаш шаьш Ӏаш долчу эмархойн лаьттара деланашна’. Амма аша ла ца дуьйгӀира Сан озе“».</verse>
				<verse number="11">Везачу Элан Малик деара ГадӀан цӀе йолу цхьа стаг волчу. Малик, схьа а деана, Ӏапру йолчохь лаьтташ долчу ножан дитта кӀелахь охьахиира. И дитт, Абу-Ӏезаран тайпанах а волуш, Юаш цӀе йолчу цхьана стеган дара. Юаш ГадӀанан да вара. Цу хенахь ГадӀан кемсийн мутт схьадоккхуш йолчу меттехь кӀа цӀандеш вара, иза маданхойх къайладаккхархьама.</verse>
				<verse number="12">ГадӀанна хьалха дӀа а хӀоьттина, Везачу Элан Малико цуьнга элира: «Веза Эла ву хьоьца, майра къонах!»</verse>
				<verse number="13">ГадӀана жоп делира: «Сан эла! Веза Эла вайца велахь, вайна оццул зенаш хӀунда хилла? Вайн дайша схьадийцина долчу массо а инзаречу гӀуллакхашна хӀун хилла теша? Цара ца дуьйцура те, Везачу Эло шаьш Мисар-махкара арадаьхна бохуш?! Амма вай хӀинца Везачу Эло дӀа ма тесна. Цо вай маданхойн кара дӀаделла».</verse>
				<verse number="14">ТӀаккха Везачу Эло, цуьнга дӀа а вирзина, элира: «Оцу ницкъаца ваха а гӀой, Исраилан халкъ маданхойх кӀелхьардаккха. Аса вохуьйту хьо цига!»</verse>
				<verse number="15">ГадӀана жоп делира: «Хьалдолу Эла, муха доккхур дара те аса Исраилан халкъ кӀелхьара? Маннашан тайпанна юкъахь сан доьзал уггар гӀийла бу, ткъа со царна юкъахь уггар а жимах верг ву».</verse>
				<verse number="16">Везачу Эло цуьнга элира: «Со хир ву хьоьца. Цхьа стаг бен воцуш санна, эшор бу ахьа маданхой».</verse>
				<verse number="17">ТӀаккха ГадӀана Везачу Эле элира: «Хьо суна реза велахь, сан Веза Эла, суна билгало гайтахьа, соьга Вистхилларг Хьо вуйла хоуьйтуш.</verse>
				<verse number="18">ДӀа ма гӀохьа, со схьаваллалц. Хьайна совгӀат схьа а деана, иза Хьайна хьалха охьадилла пурба лохьа суна». Цо жоп делира: «Хьо схьаваллалц, собардийр ду Ас».</verse>
				<verse number="19">ГадӀана, дӀа а вахана, буьхьиг кхехкийра. Цхьа мазал дама а хьакхийна, совсозачу бедах хьокхамаш а дира цо. Жижиг тускар чу а диллина, цунах схьаяьлла чорпа кхаби чу а йоьттина, уьш Делан малик долчу ножан дитта кӀел схьаеара цо.</verse>
				<verse number="20">Делан малико ГадӀане элира: «Жижиг а, хьокхамаш а хӀокху тӀулга тӀе охьадахка, ткъа чорпа цу тӀе охьайотта». ГадӀана шега аьлларг кхочушдира.</verse>
				<verse number="21">Маликан карахь Ӏаса яра. Цо цу Ӏасанан юьхьиг жижигах а, хьокхамех а дӀаӀоьттича, тӀулгах цӀе а яьлла, цу цӀаро жижиг а, хьокхамаш а дӀахьулдира. Ткъа Делан малик къайладелира.</verse>
				<verse number="22">Иза Везачу Элан малик дуйла шена хиъча, ГадӀана, кхеравелла, элира: «Ва Сан Хьалдолу Эла! Суна юьхь-дуьхьал гинарг Хьан Малик ма дара!»</verse>
				<verse number="23">Амма Везачу Эло ГадӀане элира: «Марша Ӏойла! Ма кхера! Хьо лийр вац!»</verse>
				<verse number="24">ГадӀана цига, Везачу Элана сагӀа доккхуш йолчу метте, тӀулгаш дехкира, цунна, «Везачу Элан Машар» аьлла, цӀе а туьллуш. И тӀулгаш хӀинца а Абу-Ӏезаран доьзал бехачу Ӏапру цӀе йолчу юьртахь лаьтташ ду.</verse>
				<verse number="25">Цу буссехь Везачу Эло ГадӀане элира: «Хьайн ден бежанашна юкъара шолгӀа сту (ворхӀ шо кхаьчна берг) схьа а эций, хьайн дас кечйина йолу БаӀална сагӀа доккху меттиг йохае. Иштта цунна уллохь лаьтташ болу Ашера-далла лерина болу дечиган бӀогӀам, хадабай, схьабаккха.</verse>
				<verse number="26">Цул тӀаьхьа лакхенгахь хьайн Везачу Далла лерина сагӀа доккху меттиг кечъе. ШолгӀа болу сту бен а бей, иза цу кечйинчу меттигехь, Ашерин диттах даьккхина долчу дечигах цӀе а латаяй, багабе».</verse>
				<verse number="27">ГадӀана, шен ялхойх итт схьа а валийна, Везачу Эло шега аьлларг кхочушдира. Амма шен цӀерачарна а, гӀалин бахархошна а ша и хӀума дийна делккъехь деш воллуш гарна кхоьруш волчу ГадӀана иза буьйсанна дира.</verse>
				<verse number="28">Ӏуьйранна самабевллачу гӀалин бахархошна гира йохийна йолу БаӀална лерина сагӀа доккху меттиг а, цунна уллохь схьахадийна болу Ашерин бӀогӀам а. Царна иштта гира ГадӀана кечйина йолу сагӀа доккху меттиг а, цу тӀехь сагӀина багийна болу сту а.</verse>
				<verse number="29">Цара вовшашка хоьттура: «Хьан дина иза?» Леррина талла а теллина, цхьаммо цаьрга элира: «Юашан кӀант волчу ГадӀана дина».</verse>
				<verse number="30">Цу гӀаларчу бахархоша Юаше элира: «Араваккха хьайн кӀант. БаӀална сагӀа доккху меттиг а, цунна уллохь лаьтташ болу бӀогӀам а цо бохийна дела, иза вала везаш ву».</verse>
				<verse number="31">Шена дуьхьалбевллачаьрга Юаша элира: «Шу БаӀална тӀехӀотта гӀерташ ду, иза кӀелхьарваккха гӀерташ ду шу? Ӏуьйре тӀекхачале цунна тӀехӀоьттинарг вала везаш ву. БаӀал дела велахь, иза ша къовсавала веза, хӀунда аьлча йохийна йолу сагӀа доккху меттиг цуьнан ма яра».</verse>
				<verse number="32">Юаша элира: «ГадӀана и сагӀа доккху меттиг йохийна хилча, БаӀал ша къовсавала веза цуьнца». Цу хенахь дуьйна ГадӀанан цӀе Яруб-БаӀал аьлла йоккхура (иза «БаӀал къовсавалийта» бохург ду).</verse>
				<verse number="33">Маданхой а, Ӏамалекхахой а, кхидолу малхбалехьа дехаш долу къаьмнаш а вовшахкхийтира. Йордан-хил дехьа а бевлла, ИзреӀалан аренгахь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.</verse>
				<verse number="34">ГадӀанна тӀе Везачу Элан Са доьссира. ГадӀана, коьман маӀа а лекхна, ша волчу Абу-Ӏезаран тайпанах долу халкъ схьагулдира.</verse>
				<verse number="35">Цо Маннашан махкахула геланчаш бахийтира, массо а нах ша волчу схьагулбе аьлла. ТӀаккха хаамчаш бахийтира Ашаран а, Забулан а, Напталан а мехкашкахула а. Цигара нах а ГадӀан волчу баьхкира.</verse>
				<verse number="36">ГадӀана Деле элира: «Ахьа соьга Исраилан къам кӀелхьардаккха гӀо дийр ду аьллера.</verse>
				<verse number="37">Аса хьаьттахь уьстагӀийн тӀаргӀа дӀабаржор бу. Нагахь санна цу тӀергӀана тӀехь диллина тхи хилахь, ткъа гонахьа долчу лаьтта тӀехь екъа хилахь, суна хуур ду, Ахьа ма-аллара, со бахьана а долуш Исраилан къам кӀелхьардер дуйла».</verse>
				<verse number="38">Иза иштта хилира. ШолгӀачу дийнахь Ӏуьйранна хьалххехь хьалагӀаьттина волчу ГадӀана, и тӀаргӀа Ӏовда а Ӏаьвдина, цунах цхьа кад буьззина хи даьккхира.</verse>
				<verse number="39">ГадӀана Деле элира: «Суна оьгӀаз ма гӀахьара Хьо, аса кхин а цхьа дехар кхочушдар Хьайга дехча. Суна кхин цкъа а уьстагӀан тӀергӀаца билгало хуьлийла луур дара. ТӀаргӀа бекъа а болуш, массо а меттехь тхи хилийтахьара Ахьа».</verse>
				<verse number="40">Дала цу буса, ГадӀана ма-аллара, хилийтира: тӀаргӀа бекъа а болуш, дерриг а лаьтта тӀе тхи диллира Цо.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="7">
				<verse number="1">Ӏуьйранна сатоссуш Яруб-БаӀала (ГадӀана) шеца болчу нахаца цхьаьна Хьарод цӀе йолчу хьостана уллохь шайн меттамотт дӀахӀоттийра. Ткъа маданхойн меттамотт царна къилбаседехьа йолчу тогӀи чохь лаьтташ бара, МорахӀ олучу лома уллохь.</verse>
				<verse number="2">Везачу Эло ГадӀане элира: «Хьоьца цхьаьна тӀех дукха халкъ хилар бахьана долуш, маданхой шун кара дӀабала ца лаьа Суна. Суна ца лаьа исраилхоша, дозалла а деш: „Тхо тхаьш кӀелхьардевлла“ — бохийла а.</verse>
				<verse number="3">Хьайца схьабаьхкинчаьрга дӀаала: „Кхеравелла вегош мел верг ГалӀадарчу лам тӀера шайн цӀа юхаверза мегар ду“». Ткъе ши эзар стаг ГадӀан волчуьра цӀа вахара, итт эзар стаг бухависира.</verse>
				<verse number="4">Цул тӀаьхьа Везачу Эло ГадӀане элира: «ХӀинца а тӀех дукха адам ду кхузахь. Уьш хи долчу дӀабига. Цигахь Аса уьш зуьйр бу хьуна. Нагахь санна Аса: „Хьоьца ваха мегар ду“ — алахь, иза гӀур ву. Ткъа Аса: „Иза хьоьца гӀур вац“ — алахь, цуьнан хьоьца ваха йиш яц».</verse>
				<verse number="5">ГадӀана шеца болу нах хи йисте охьабигира. Везачу Эло ГадӀане элира: «ЖӀаьло санна, маттаца хи молуш берш цхьана агӀор дӀахӀиттабе, ткъа хи молучу хенахь, голаш тӀе охьа а таьӀна, хи молуш верг вукху агӀор хӀоттаве».</verse>
				<verse number="6">Куьйгашца хи шайн юьхь тӀе а кхоьхьуш, мотт ара а баьккхина, хи молуш верг кхо бӀе стаг вара. Ткъа вукхара хи, голаш тӀе охьа а таьӀна, молура.</verse>
				<verse number="7">Везачу Эло ГадӀане элира: «Мотт ара а баьккхина, хи мелла волчу кхаа бӀе стагехула шу кӀелхьара а даьхна, маданхой шун кара дӀалур бу Ас. Вуьш шайн-шайн цӀа бахийта».</verse>
				<verse number="8">ГадӀана уьш цӀа а бахийтина, цаьргахь йолу яа хӀума а, коьман маӀаш а схьаийцира. Бухависнарг верриг а кхо бӀе стаг вара. Ткъа маданхойн меттамотт лахахь тогӀи чохь лаьтташ бара.</verse>
				<verse number="9">Цу буьйсанна Везачу Эло ГадӀане элира: «Хьала а гӀаттий, маданхойн меттаматтана дуьхьал гӀо. Аса уьш хьан кара дӀало.</verse>
				<verse number="10">Нагахь санна царна дуьхьалвала хьо кхерахь, хьайн ялхо волчу Пураца царна тӀе гӀо.</verse>
				<verse number="11">Маданхойн меттаматтана юххе а гӀой, цара хӀун боху ладогӀа. ТӀаккха хьо кхоьрур вац царна тӀелата». ГадӀан а, цуьнан ялхо волу Пура а аренга охьавоьссира, маданхойн меттаматтан йистте.</verse>
				<verse number="12">Маданхой а, Ӏамалекхахой а, кхиболу малхбалерчу мехкашкара бахархой а аренгахь Ӏаш бара. Уьш, цӀоз санна, дукха бара. Церан эмкалш а, хӀордан йистехь йолу гӀум санна, ягарлур йоцуш дукха яра.</verse>
				<verse number="13">МостагӀийн меттаматтана улло веанчу ГадӀанна хезира, цхьана тӀемалочо вукху тӀемалочуьнга шена гина долу гӀан дуьйцуш. Цо дуьйцура: «Суна гӀенахь гира маданхойн меттаматтехула, хахкаделла, дӀадоьдуш долу горга бепиг. И бепиг, хахкаделла, четарна чӀогӀа тӀекхийтира. ТӀаккха и четар, каг а делла, охьадуьйжира».</verse>
				<verse number="14">Вукхо элира: «Хьан гӀан иштта бен кхечу тайпана тида йиш йолуш дац. Иза исраилхо волчу Юашан кӀентан ГадӀанан тур ду. Дала маданхой а, церан берриг а меттамотт а цуьнан кара дӀабелла».</verse>
				<verse number="15">И гӀан а, цуьнан тидар а хезна волу ГадӀан Везачу Элана хьалха суждане вахара. Исраилхойн меттаматте юха а веана, цо элира: «ХьалагӀовтта! Везачу Эло маданхойн меттамотт вайн кара схьало».</verse>
				<verse number="16">Цо кхо бӀе стаг кхаа декъе вийкъира. ХӀора тӀемалочунна кара коьман маӀий, яьсса кхабий елира цо. ХӀора кхаби чохь богуш къуьда бара.</verse>
				<verse number="17">ГадӀана цаьрга элира: «Соьга а хьожуш, аса деш дерг де. Вай мостагӀийн меттаматте кхаьчча, аса деш дерг де.</verse>
				<verse number="18">Меттаматтана го а бай, сой, соьца бершший коьман маӀа лакха буьйлабелча, аша а маӀаш лекха йолае, мохь а бетташ: „Везачу Элан а, ГадӀанан а дуьхьа!“ — бохуш».</verse>
				<verse number="19">ГадӀан а, цуьнца волу бӀе стаг а, мостагӀийн меттамотт болчу охьа а воьссина, цунна улло вахара, буьйса юккъеяхча ха деш болу тӀемалой хийцабеллачул тӀаьхьа. Цара, коьман маӀаш а лекхна, шайн кхабанаш кегйира.</verse>
				<verse number="20">Кхаа тобанехь болчара, коьман маӀаш а лоькхуш, шайн кхабанаш кегйира. Церан аьрру куьйга лаьцна къуьданаш дара, ткъа аьтту куьйгахь маӀаш яра. МаӀаш а лоькхуш, цара мохь беттара: «Везачу Элан а, ГадӀанан а дуьхьа тур тоха!» — бохуш.</verse>
				<verse number="21">ГадӀанан тӀемалой шаьш болччохь лаьтташ бара, ткъа меттаматтара дерриг а эскар, маьхьарий а хьоькхуш, дӀауьдуш дара.</verse>
				<verse number="22">ГадӀанаца хиллачу кхаа бӀе стага коьман маӀаш лекхча, Везачу Эло меттаматтара нах вовшашна дуьхьалбехира. Уьш, вовшашна тарраш а диттина, бевдда Царира-гӀалина уллохь йолчу Байт-ШатӀа дӀабахара. Уьш иштта ТӀабата уллохь йолчу Абал-Махьулан йисте кхечира.</verse>
				<verse number="23">Напталан а, Ашаран а, Маннашан а тайпанах болу тӀемалой маданхошна тӀаьхьабовла бахийтинера.</verse>
				<verse number="24">ГадӀана Эпрайман лаьмнашна уллохь йолчу меттигашка шен геланчаш бахийтинера дӀаала: «Маданхошна дуьхьал ара а довлий, царах лата, Байт-Барина тӀекхаччалц Йордан-хил дехьаволийла а ларъе», — аьлла. Массо а эпраймхоша Байт-Барига тӀекхаччалц Йордан-хил дехьаволийлаш схьалецира.</verse>
				<verse number="25">Маданхойн Ӏораббий, Зиаббий цӀе йолу ши баьчча а схьалецира цара. Ӏораб Ӏорабан тарх йолчохь вийра, ткъа Зиаб Зиабан кемсийн мутт доккхучу меттехь вийра. Церан кортош, схьа а даьхна, ГадӀан волчу Йордан-хил дехьа схьадеара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="8">
				<verse number="1">Эпраймхоша ГадӀан чӀогӀа бехке веш вара. Цара цуьнга бохура: «ХӀунда дина ахьа иза? Стенна ца хаийтира ахьа тхоьга, хьо маданхошца тӀом бан воьдуш?»</verse>
				<verse number="2">ГадӀана царна жоп делира: «Ас лелийнарг аша лелийначуьнца муха дустур ду? Абу-Ӏезаран тӀаьхьено хьалха диначул а, эпраймхоша тӀаьхьо кхочушдинарг деза ма ду!</verse>
				<verse number="3">Шун кара дӀабелла Дала маданхойн баьччанаш Ӏораб а, Зиаб а. Цундела шун кхиам боккхо бу. Аша динчуьнга хьаьжча, хӀун далур дара соьга?» ГадӀана бохург шайна хезча, эпраймхой, хьалха санна, оьгӀазлонаш еш бацара.</verse>
				<verse number="4">Йордан-хи долчу а веана, ГадӀан а, цуьнца волу кхо бӀе стаг а хил дехьа велира. Шаьш чӀогӀа кӀадбеллехь а, уьш мостагӀашна тӀаьхьабевллачуьра ца севцира.</verse>
				<verse number="5">Сакхатарчу бахархошка ГадӀана элира: «Соьца схьабаьхкинчу нахана яа хӀума ло. Маданхойн паччахьашна Зебахьний, ЦалманаӀаний тӀаьхьабевлла лелачу хенахь уьш чӀогӀа кӀадбелла».</verse>
				<verse number="6">Амма Сакхат-гӀалин куьйгалхоша ГадӀане элира: «Зебаххьий, ЦалманаӀӀий хьан карахь ву ткъа? Стенна яла еза оха хьан эскарна яа хӀума?»</verse>
				<verse number="7">ТӀаккха ГадӀана элира: «Делахь, Зебаххьий, ЦалманаӀӀий сайна Везачу Эло каравеллачул тӀаьхьа, со кхуза юхавогӀур ву. Аша хӀинца динарг бахьана долуш аса, со цигара юхавирзича, шун догӀмаш яьссачу аренан коканашца а, кӀохцалшца а этӀор ду».</verse>
				<verse number="8">Цигара ваьлла Пенуал-гӀала веара ГадӀан. Цигахь а гӀалин бахархошка Сакхатехь аьлларг элира цо. Амма цара а Сакхатехь болчу бахархоша аьлларг элира цуьнга.</verse>
				<verse number="9">ГадӀана цаьрга элира: «Со толамца юхавирзича, аса хӀара бӀов йохор ю».</verse>
				<verse number="10">Зебаххьий, ЦалманаӀӀий шайн эскарца Кхаркхур-гӀалахь вара. Цаьрца пхийтта эзар стаг вара. Уьш малхбалехьарчу мехкашкара тӀемалойх бухабисинчарах бара. БӀе ткъа эзар стаг, тур лелош болу тӀемалой, цу эскарна юкъара хӀаллакьхиллера.</verse>
				<verse number="11">Нобахьа-гӀалиний, ЙогӀбахӀаний малхбалехьа болчу новкъахула дӀавахара ГадӀан. Кхаркхур-метте схьа а веана, иза шен мостагӀашна дагахь а доццучу хенахь царна тӀелетира.</verse>
				<verse number="12">Зебахь а, ЦалманаӀ а ведда дӀавахара. Царна тӀаьхьаваьллачу ГадӀана схьалецира маданхойн ши паччахь. Иштта дерриг а маданхойн эскар Ӏадийнера ГадӀана.</verse>
				<verse number="13">Юашан кӀант ГадӀан тӀамера юхавирзира. Хьерас цӀе йолчу ломан дукъана тӀехула цӀа вогӀуш вара иза.</verse>
				<verse number="14">Сакхат-гӀалара бахархошна юкъара цхьа жима стаг схьа а лаьцна, цуьнга хеттарш дан волавелира иза. Цо кхузткъе вуьрхӀитта шайн элийн а, къанойн а цӀераш дӀаязйира ГадӀанна.</verse>
				<verse number="15">Сакхат-гӀала схьа а веана, ГадӀана цигарчу бахархошка элира: «Зебаххьий, ЦалманаӀӀий хӀорш бу. Ткъа аша, сан эскар кӀадделла, хӀоьттина ду, цунна яа хӀума лахьара аьлла, аса дехар дича, сох дийла а дуьйлуш, элира: „Зебаххьий, ЦалманаӀӀий хьан карахь ву ткъа? Стенна яла еза оха хьан эскарна яа хӀума?“»</verse>
				<verse number="16">Сакхатара къаной схьа а гулбина, царна коканийн а, кӀохцалийн а коьллаш йиттира цо. И хӀума а дина, цо Сакхатарчу нахана, уьш Ӏамош, масала делира.</verse>
				<verse number="17">ГадӀана Пенуал-гӀалара бӀов а йохийра, цигара нах а байира.</verse>
				<verse number="18">Цо Зебахье а, ЦалманаӀе а хаьттира: «Табурехь аша байина болу нах муха бара?» Цу шиммо жоп делира: «Уьш хьох тера бара. ХӀора стаг а паччахьан кӀентах тера вара».</verse>
				<verse number="19">ГадӀана цаьрга элира: «Уьш сан вежарий бара, сан ненан кӀентий. Дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо ас: аша уьш дийна битина хиллехь, аса хӀинца шуьшиъ вуьйр вацара».</verse>
				<verse number="20">Шен воккхах волчу кӀанте ИтӀаре дӀа а хьаьжна, цо элира: «Вей, дӀаваккха и шиъ». Амма ИтӀара шен тур баттара схьа ца даьккхира, хӀунда аьлча иза, ша жима хиларх терра, кхоьруш вара.</verse>
				<verse number="21">ТӀаккха Зебахьа а, ЦалманаӀа а ГадӀане элира: «Схьа а волий, айхьа ве тхойшиъ. Хьоьгахь цу гӀуллакхна тоъал ницкъ буй те?» Хьала а гӀаьттина, ГадӀана, и шиъ вен а вийна, церан эмкалийн кочара мӀерий схьадехира.</verse>
				<verse number="22">Исраилан халкъо ГадӀане элира: «Тхо маданхойн баланах кӀелхьардаьхна ахьа. Тхуна тӀехь олалла де ахьа а, хьан кӀанта а, хьан кӀентан кӀанта а».</verse>
				<verse number="23">Амма ГадӀана исраилхошка элира: «Аса а дийр дац шуна тӀехь олалла, я сан кӀанта а дийр дац. Везачу Эло дойла шуна тӀехь олалла».</verse>
				<verse number="24">ГадӀана цаьрга элира: «Сан цхьа дехар ду шуьга. ХӀораммо а ша схьаэцначух лергара цхьацца чӀуг ло суна». (Цо эшийначаьргахь дукха дашо чӀагарш яра, уьш исмаьӀалхой хиларе терра.)</verse>
				<verse number="25">Цара элира: «Хаза а хеташ дӀалур ю». Бедар лаьтта охьа а тесна, цу тӀе шайн караеанчу хӀонсах цхьацца чӀуг кхоьссира цара.</verse>
				<verse number="26">Цара и чӀагарш схьагулйича, уьш цхьа эзар ворхӀ бӀе шекхалан барамехь яра. Цунна совгӀатана кхин а дашо мӀерий а, коча уллургаш а, маданхойн паччахьаша юхуш йолу таьӀна цӀен бедарш а, эмкалийн коча ухкуш йолу дашо зӀенаш а елира.</verse>
				<verse number="27">Цу деших ГадӀана, ийпад а йина, иза шен Ӏапру цӀе йолчу юьртахь охьайиллира. Массо а исраилхо цу ийпадна корта тоха оьхуш вара. И ийпад ГадӀанна а, цуьнан дерриг а цӀенна а гур хилла дӀахӀоьттинера.</verse>
				<verse number="28">Маданхой исраилхошна муьтӀахь хилла дӀахӀиттинера, цара шайн кортош охьатаӀийначуьра хьала ца ойура. ГадӀан дийна мел ву, шовзткъа шарахь машар лаьттира цу махкахь.</verse>
				<verse number="29">Юашан кӀант Яруб-БаӀал (ГадӀан), цӀа а вахана, цигахь Ӏаш вара.</verse>
				<verse number="30">ГадӀанан кхузткъе итт кӀант вара. Уьш оццул дукха бара, цуьнан дуккха а зударий хилла дела.</verse>
				<verse number="31">Цуьнан кхин а гӀарбаш-зуда а яра. Иза Шехемехь ехаш яра. Цо цунна кӀант вира, цуьнан цӀе Абу-Малик а тиллира.</verse>
				<verse number="32">Юашан кӀант ГадӀан къеналле ваханчу хенахь велира. Иза дӀавоьллира шен ден Юашан къубба чохь, абу-Ӏезархойн Ӏапру-юьртахь.</verse>
				<verse number="33">ГадӀан веллачул тӀаьхьа исраилхой, Везачу Элера дӀа а бирзина, юха а БаӀал-деланашна тӀаьхьахӀиттира. Шайн дела БаӀал-Барт а хаьржина,</verse>
				<verse number="34">шаьш гонах болчу массо а мостагӀех кӀелхьарваьккхина волу шайн Веза Дела дага ца вогӀура царна.</verse>
				<verse number="35">Исраилан халкъо ларам ца гайтира Яруб-БаӀалан (ГадӀанан) тӀаьхьенна, цара шайн дуьхьа дуккха а дика гӀуллакхаш динехь а.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="9">
				<verse number="1">Яруб-БаӀалан кӀанта Абу-Малика, Шехем-гӀала а вахана, шен ненан вежаршка а, массо а ненахошка а элира:</verse>
				<verse number="2">«Шехем-гӀалин къаношка хатта: шуна хӀун лаьа: „Яруб-БаӀалан кхузткъе итт кӀанта олалла дойла лаьа шуна, я цхьаьнга олалла дайта лаьа? Абу-Малик шайн цӀийх схьаваьлла хилар диц а ма де“».</verse>
				<verse number="3">Абу-Маликан ненан вежарша и хаттар Шехеман къаношка дира. Ткъа уьш Абу-Маликна тӀаьхьахӀитта резахилира. «Иза вайн ваша ву», — элира цара.</verse>
				<verse number="4">Шехемарчу куьйгалхоша Абу-Маликна БаӀал-Барт-делан цӀа чуьра кхузткъе итт шекхал дети делира. И дети а делла, Абу-Малика, деш-дуьтуш а доцуш, шайн лаамехь волу масех стаг лецира. Уьш цунна тӀаьхьахӀиттира.</verse>
				<verse number="5">Абу-Малика, Ӏапру-юьртахь долчу шен ден цӀа а вахана, Яруб-БаӀалан (ГадӀанан) кхузткъе итт кӀант вийра. Уьш массо а цхьана тархана уллохь вийра цо. Яруб-БаӀалан уггар жимах волу кӀант Йовтам дийна висира, иза дӀалечкъина хилар бахьана долуш.</verse>
				<verse number="6">Цул тӀаьхьа Шехеман а, Байт-Миллонан а бахархоша цу гӀалина генахь доццуш лаьтташ долчу ножан дитт долчохь Абу-Малик шайн паччахь вина дӀахӀоттийра.</verse>
				<verse number="7">Шехемарчу куьйгалхоша Абу-Малик шайн паччахь вина дӀахӀоттинийла хиъча, Йовтама, Герзим-лам тӀе а ваьлла, мохь а бетташ, халкъе элира: «ЛадогӀа соьга, Шехеман бахархой. Цул тӀаьхьа шуьга Дала ладугӀийла.</verse>
				<verse number="8">Цхьана дийнахь дитташа шайна юкъахь паччахь харжа сацам бина хилла, цуьнга шайна тӀехь олалла дайта. Цара зайт-дитте аьлла: „Олалла де тхуна тӀехь“.</verse>
				<verse number="9">Амма зайт-дитто цаьрга жоп делла: „Аса деланийн а, адамийн а сий до, айса луш долу даьтта бахьана долуш. Даьтта ца луш саца дезий со, кхечарна тӀехь олалла дар бахьана долуш?“</verse>
				<verse number="10">ТӀаккха цара комаран дитте элира: „Дало, ахьа олалла де тхуна тӀехь“.</verse>
				<verse number="11">Амма комаран дитто жоп делира: „Дика а, мерза а стом лучуьра саца деза со, кхечарна тӀехь олалла дархьама?“</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха кемсийн таьлланге цара элира: „Олалла де тхуна тӀехь“.</verse>
				<verse number="13">Амма кемсийн таьлланго а жоп делира: „Сох схьадаьллачу чагӀаро делийн а, адамийн а самукъадоккху. И стом ца луш саца дезий со, кхечу дитташна тӀехь олалла дархьама?“</verse>
				<verse number="14">ТӀаьххьара а массо а дитташа коканийн кулле элира: „Яло, ахьа паччахьалла де тхуна тӀехь“.</verse>
				<verse number="15">Коканийн кулло цаьрга элира: „Шайна баккъал а со паччахь хилийта лаахь, даха а гӀой, сан ӀиндагӀехь дӀахьулло. Нагахь санна иза иштта ца хилахь, цу коьллех цӀе а яьлла, цу цӀаро Ливанун-махкара баганан дитташ а дагадойла“.</verse>
				<verse number="16">Шайна хуур ду шуна, нийса а, доггах а хӀоттинийла шаьш Абу-Малик паччахьан метта. Иштта шайна хуур ду шуна, шаьш хила ма-деззара хиллий шу Яруб-БаӀалан доьзалца а, цо шайна динчу диканашца дуьстина диний аша шаьш динарг.</verse>
				<verse number="17">Шу бахьана долуш ша-шен а ца кхоош, сан дас, тӀом а бина, шу маданхойн куьйга кӀелара схьадаьхна.</verse>
				<verse number="18">Ткъа аша хӀинца, сан ден доьзална дуьхьал а девлла, цуьнан кхузткъе итт кӀант цхьана тарх тӀехь вийна, ткъа Абу-Малик шайн паччахь вина дӀахӀоттийна, иза шайн гергара стаг волу дела. Ткъа иза сан ден гӀарбаш-зуда хиллачун кӀант бен вац!</verse>
				<verse number="19">Нагахь санна Яруб-БаӀалца а, цуьнан доьзалца а шу нийса а, доггах а леллехь, шайн паччахьца даккхий а деш Ӏе. Цо а даккхийдедойла шу.</verse>
				<verse number="20">Нагахь санна аша динарг хьарам хӀума делахь, Абу-Маликах цӀе а яьлла, Шехемара а, Байт-Миллора а бахархой а богийла. Шехемах а, Байт-Миллох а цӀе а яьлла, Абу-Малик а вогийла!»</verse>
				<verse number="21">Иза ша аьлла ваьллачул тӀаьхьа Йовтам, шен веших ведда дӀа а вахана, Беар-гӀалахь дӀалечкъира.</verse>
				<verse number="22">Абу-Малика Исраилан халкъана тӀехь кхаа шарахь олалла дира.</verse>
				<verse number="23">Цул тӀаьхьа Дала зуламе са дахийтира Абу-Маликаний, Шехем-гӀалин бахархошний юкъа хӀотта. Шехемхой Абу-Маликна дуьхьалбевлира.</verse>
				<verse number="24">Иштта бекхам хилира цунна, Яруб-БаӀалан кхузткъе итт кӀант вер бахьана долуш. Церан цӀий бахьана долуш бекхам хилира церан ваша волчу Абу-Маликна а, Шехеман бахархошна а, уьш байар тӀетадина болчу.</verse>
				<verse number="25">Цара гунашна боххье охьаховшийра шайна уллохула тӀех мел волуш волчунна талор деш болу нах. Иза Абу-Маликна тӀедаьхьира.</verse>
				<verse number="26">Ӏабайдан кӀант ГаӀал шен вежаршца Шехеме веара. Цу гӀалин бахархоша, цунах теша а тешна, цунна тӀаьхьахӀитта сацам бира.</verse>
				<verse number="27">Цхьана дийнахь Шехеман бахархой кемсаш схьагулъян арабевлира. Цара кемсех мутт а даьккхина, цунах чагӀар а дина, шайн делан цӀа чохь той дӀахӀоттийра. Дууш, молуш, Абу-Маликна неӀалт а кхайкхош, Ӏаш бара уьш.</verse>
				<verse number="28">Ӏабайдан кӀанта ГаӀала элира: «Вай — Шехеман халкъ ду. Вай хӀунда хила деза Абу-Маликна муьтӀахь? Иза вайна мила ву? Яруб-БаӀалан кӀант вац иза? Ткъа Абу-Малика ца вина Забулах коьрта хьаькам? Вай Абу-Маликан куьйга кӀелахь хила гӀуллакх долуш дац! Шехеман да волчу Хьамуран тӀаьхьенна гӀуллакх деш лелар гӀоле ду вайна. Цунна гӀуллакх деш вай хӀунда лелаш ду?</verse>
				<verse number="29">ХӀара халкъ сайн карахь делахьара, аса Абу-Малик кхузара дӀаэккхор вара. Аса цуьнга эр дара: „Хьайн эскар алсам а даккхий, тӀом бан аравала“».</verse>
				<verse number="30">Цу гӀалин коьрта хьаькам волу Забул, шена Ӏабайдан кӀанта ГаӀала аьлларг хезча, чӀогӀа оьгӀазвахара.</verse>
				<verse number="31">Цо къайлаха Абу-Малик волчу геланчаш бахийтира дӀаала: «Ӏабайдан кӀант ГаӀал а, цуьнан вежарий а, Шехеме а баьхкина, массо а стаг хьуна дуьхьалвоккхуш бу.</verse>
				<verse number="32">Цундела хьо а, хьан халкъ а буьйсанна гӀалина улло а деана, аренгахь кӀело ян дӀалачкъа деза.</verse>
				<verse number="33">Ткъа Ӏуьйранна малх схьакхетачу хенахь шу гӀалина тӀелата деза. ГаӀал шен тӀемалошца хьоьца лата гӀали чуьра араваьлча, хьайга далург де царна».</verse>
				<verse number="34">Буьйсанна Абу-Малик а, цуьнца болу тӀемалой а гӀалина улло баьхкира. Деа декъе бекъа а белла, кӀело ян дӀалевчкъира уьш.</verse>
				<verse number="35">Ӏабайдан кӀант ГаӀал, гӀалин кевнна улло а вахана, цигахь дӀахӀоьттича, Абу-Малик шеца хиллачаьрца цхьаьна ша дӀалечкъина волчуьра гучувелира.</verse>
				<verse number="36">И нах гина волчу ГаӀала Забуле элира: «Хьажал, лаьмнаш тӀера охьабуьссуш нах бу». Забула цуьнга жоп делира: «Лаьмнийн ӀиндагӀех хьуна нах тарбелла».</verse>
				<verse number="37">Амма ГаӀала юха а элира: «Хьажал лакхенгара охьабуьссуш болчаьрга. Суна бозбунчийн дитта уллохула схьабогӀуш болчеран кортош го».</verse>
				<verse number="38">Забула цуьнга элира: «ХӀинца хӀунда ца йо ахьа кураллаш? Ахьа ца бохура Абу-Малик хӀумма а вац, вай цуьнан куьйга кӀелахь хила гӀуллакх долуш а дац? Уьш ахьа ца вешаш къамел динарш бу. ХӀинца, ваха а гӀой, цаьрца лата».</verse>
				<verse number="39">ГаӀал, шеца Шехеман бахархой а болуш, Абу-Маликца лата аравелира.</verse>
				<verse number="40">Абу-Малик гӀалин ков долчу юхауьдуш болчу ГаӀалаца цхьаьна хиллачарна тӀаьхьавелира. Цу кевнна тӀекхачале, царах дукхахберш байира цо.</verse>
				<verse number="41">Цул тӀаьхьа Абу-Малик Арума-гӀала юхавирзира, ткъа Забула ГаӀал цуьнан вежаршца Шехемара араваьккхира.</verse>
				<verse number="42">ШолгӀачу дийнахь Шехеман бахархой шайн кхашна тӀехь болх бан арабевлира. Абу-Маликна иза дӀахиира.</verse>
				<verse number="43">Шен тӀемалой кхаа декъе бекъа а бекъна, уьш аренгахь, кӀело еш, дӀалачкъийтира Абу-Малика. ГӀалара арабевлла болу нах шайна гича, царна кӀело йинарш тӀелетира.</verse>
				<verse number="44">Абу-Малик шен тобанашца, гӀалин ков долчу а вахана, цигахь дӀахӀоьттира. Ткъа важа йолу ши тоба арахь болчарна тӀелетира. Цара уьш байира.</verse>
				<verse number="45">И де дӀадаллалц тӀом бира Абу-Малика Шехеман бахархошца. ГӀала схьа а яьккхина, цигахь мел долу адам дийра цара. ГӀала йоха а йина, цуьнан саьлнашна тӀе туьха тесира цара.</verse>
				<verse number="46">Шайна гӀалахь хилларг дӀахиъча, Шехемарчу бӀаьвнна чохь Ӏийнарш БаӀал-Бартан делан цӀа чохь хиллачу кхераме доцучу цӀа чохь схьагулбелира.</verse>
				<verse number="47">Шена Шехемерчу бӀаьвнна чохь Ӏийнарш цхьана Ӏаш буйла хиъча,</verse>
				<verse number="48">Абу-Малика шен халкъаца, Цалмун-лам тӀе а ваьлла, дагарца кегийра гаьннаш а даьхна, уьш шен белшаш тӀе а дехкина, халкъе вистхилира: «Шуна го аса динарг. Сихха аса диннарг де аша а».</verse>
				<verse number="49">Уьш хӀора а, Абу-Малика санна, гаьннаш а даьхна, цунна тӀаьхьахӀоьттира. Цара шаьш схьадеана долу гаьннаш БаӀал-Бартан цӀенна кхераме йоцучу чоьнна улло охьадехкира. Царах цӀе а латийна, цу чохь мел хилларг а вагийра цара. Иштта вагийна дӀаваьккхира Шехеман бӀаьвнна чохь хилла волу цхьа эзар хиллал стаг. Царна юкъахь зударий а, божарий а бара.</verse>
				<verse number="50">Цул тӀаьхьа Абу-Малика шеца хиллачаьрца, Табац-гӀала а вахана, цунна го а бина, иза шен караерзийра.</verse>
				<verse number="51">ГӀалина юккъехь лаьтташ цхьа чӀогӀа бӀов яра. Цу гӀалара массо а вахархо, и бӀов йолчу дӀа а вахана, цуьнан неӀарш дӀа а къевлина, цу бӀаьвнан тхов тӀе велира.</verse>
				<verse number="52">Абу-Малик шеца хиллачаьрца бӀаьвнна тӀелетира. Иза, цуьнан неӀарш цӀарца яго дагахь, бӀаьвнна улло вахара.</verse>
				<verse number="53">ТӀаккха тхов тӀехь лаьтташ йолчу цхьана зудчо, боккха тӀулг чу а кхоьссина, цуьнан туьта кагйира.</verse>
				<verse number="54">Абу-Малика, шеца хилла волу къона герз лелориг тӀе а кхайкхина, цуьнга элира: «Сихха хьайн тур схьа а даккхий, со вей дӀаваккха, нахе: „Абу-Малик зудчо вийна“ — ца бахийта». Цуьнан ялхочо Абу-Маликах шен тур чекхдаьккхира. Иза велира.</verse>
				<verse number="55">Исраилхошна Абу-Малик веллийла хиъча, уьш шайн-шайн цӀа бахара.</verse>
				<verse number="56">Дала иштта бекхам бира, Абу-Малика, шен кхузткъе итт ваша а вийна, шен дена бина болу тешнабехк бахьана долуш.</verse>
				<verse number="57">Дала иштта бекхам бира Шехеман бахархошна а, цара дина долу зуламе гӀуллакхаш бахьана долуш. Яруб-БаӀалан кӀанта Йовтама кхайкхийна долу неӀалт дахара царах.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="10">
				<verse number="1">Абу-Малик веллачул тӀаьхьа кхин цхьаъ а гӀаьттира Исраилан халкъ кӀелхьардаккха. Иза вара Иссарханан тӀаьхьенах волу Додин кӀентан Пувин кӀант ТовлаӀ. ТовлаӀ Эпрайм-лаьмнашкахь лаьтташ йолчу Шамир-гӀалахь вехаш вара.</verse>
				<verse number="2">Иза ткъе кхаа шарахь Исраилан мехкан куьйгалхо лаьттина вара. Веллачул тӀаьхьа иза Шамир-гӀалахь дӀавоьллина.</verse>
				<verse number="3">ТовлаӀ веллачул тӀаьхьа ГалӀадара Яир гучувелира. Ткъе шина шарахь Исраилан мехкан куьйгалхо хилла лаьттира иза.</verse>
				<verse number="4">Цуьнан ткъе итт кӀант вара. Уьш ткъе итт вир тӀехь лелаш бара. Церан ГалӀадан махкахь ткъе итт гӀала яра. Царах хӀинца а Яиран гӀаланаш олу.</verse>
				<verse number="5">Яир веллачул тӀаьхьа Кхамон-гӀалахь дӀавоьллира.</verse>
				<verse number="6">Исраилхой юха а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш лело буьйлабелира. Цара БаӀална а, Ӏаштартана а, арамхойн а, цӀаданхойн а, муабахойн а, Ӏамминхойн а, пӀелаштамхойн а харцделанашна Ӏамал йора, Веза Эла виц а вина, Цунна Ӏамал ечуьра севцира уьш.</verse>
				<verse number="7">Веза Эла оьгӀазвахара исраилхошна. Цундела Цо уьш пӀелаштамхойн а, Ӏамминхойн а кара дӀабелира.</verse>
				<verse number="8">Цу шарахь цара Йорданна малхбалехьа йолчу хийистехь ГалӀадахь эмархойн махкахь дехаш долу Исраилан халкъ эша а дина, берхӀитта шарахь иза дацийра.</verse>
				<verse number="9">ТӀаьххьара а Ӏамминхой, Йорданал дехьа а бевлла, тӀамца ЯхӀудан а, Бен-Яманан а, Эпрайман а халкъашна тӀегӀоьртира. Дуккха а зенаш дира Ӏамминхоша Исраилан халкъана.</verse>
				<verse number="10">Везачу Эле гӀо доьхуш, кхойкхуш бара Исраилан кӀентий. «Тхан Дела, Хьуна хьалха оха къинош летийна. Тхайн Дела вита а витина, БаӀал санна долчу харцделанашна Ӏамал еш дара тхо», — бохура цара.</verse>
				<verse number="11">Везачу Эло Исраилан халкъе элира: «Шаьш мисархойн а, эмархойн а, Ӏамминхойн а, пӀелаштамхойн а,</verse>
				<verse number="12">цӀаданхойн а, Ӏамалекхахойн а, маӀунхойн а карахь долуш аша Соьга гӀо доьхура. Аса цу нехан карара шу схьа ма дехира.</verse>
				<verse number="13">Амма шу, Со а витина, кхечу деланашна Ӏамалъян дуьйладелира. Аса шу кхин кӀелхьардохур дац.</verse>
				<verse number="14">Даха а гӀой, шаьш хаьржинчу деланашка гӀо деха. Цаьрга дахийта шаьш хьоьгучу баланах кӀелхьара».</verse>
				<verse number="15">Амма Исраилан халкъо Везачу Эле элира: «Оха тхайх къа латийна. Хьайна луъург тхох дан а дай, хӀинца кӀелхьардахахьара Ахьа тхо».</verse>
				<verse number="16">Харцделанаш дӀа а тесна, Исраилан халкъ Везачу Элана Ӏамал еш дӀахӀоьттира. Цара хьоьгуш болчу балана са ца детталора Везачу Эле.</verse>
				<verse number="17">Ӏамминхой тӀом бан кечбеллера. ГалӀадан лаьтта тӀехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара. Исраилхоша а, схьа а гулбелла, МицӀпа-гӀала йолчохь шайн меттамотт дӀахӀоттийра.</verse>
				<verse number="18">ГалӀадхойн куьйгалхоша элира: «Ӏамминхошца дуьххьара тӀом болийнарг ГалӀадахь долчу массо а халкъана тӀехь хьаькам хилла дӀахӀуттур ву».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="11">
				<verse number="1">ГалӀадхойх схьаваьлла волу майра тӀемало вара Яптахь. Цуьнан нана нахаца лелаш яра, ткъа Яптахь цо ГалӀад цӀе йолчу стагах винера.</verse>
				<verse number="2">ГалӀадан зудчо цунна вина масех кӀант вара. Баккхий хиллачул тӀаьхьа Яптахь цӀа чуьра араваьккхира цара. Цара цуьнга элира: «Тхан да кхелхинчул тӀаьхьа цуьнан хӀуманах хьуна хӀумма а ца догӀу, хьо кхечу зудчо вина волу дела».</verse>
				<verse number="3">Шен вежарех ведда, Яптахь ТӀоба олучу махка дӀавахара. Цигахь цунна улло гулбеллера, деш-дуьтуш а доцуш, лелаш болу нах. Уьш цунна тӀаьхьахӀиттира.</verse>
				<verse number="4">Цхьа хан яьлча, Ӏамминхой тӀелетира исраилхошна.</verse>
				<verse number="5">Ӏамминхойн исраилхошца болу тӀом дӀаболабеллачул тӀаьхьа галӀадхойн къаной баьхкира Яптахь ТӀоба-махкара дӀавига.</verse>
				<verse number="6">Къаноша Яптахье элира: «Тхуна тӀехь куьйгалхо а хилий, Ӏамминхошца тӀом байта вайга».</verse>
				<verse number="7">Амма Яптахьа галӀадхойн къаношка элира: «Соьца шайн болу цабезам бахьана долуш со сайн ден цӀа чуьра араваьккхира аша. Шайна тӀе вон деача, со волчу стенна даьхкина шу?»</verse>
				<verse number="8">ГалӀадхойн къаноша жоп делира цунна: «Тхуна хьалха а ваьлла, Ӏамминхошца ахьа тӀом баре а, ГалӀадахь дехаш мел долчу адамашна тӀехь ахьа куьйгалла даре а сатуьйсуш, даьхкина тхо хьо волчу».</verse>
				<verse number="9">Яптахьа къаношка хаьттира: «Ӏамминхошца тӀом бан аша со юхаверзийча, Везачу Эло уьш сан кара схьалахь, со шун куьйгалхо хилла вуьсур вуй?»</verse>
				<verse number="10">ГалӀадарчу къаноша Яптахье элира: «Веза Эла теш хуьлийла вайна юкъахь. Оха ахьа мел бохург дийр ду!»</verse>
				<verse number="11">Яптахь ГалӀадарчу къаношца дӀавахара, ткъа халкъо иза, шайн баьчча а, хьаькам а вина, дӀахӀоттийра. Яптахьа ша мел аьлларг Везачу Элана хьалхахь МицӀпахь юха а элира.</verse>
				<verse number="12">Яптахьа Ӏамминхойн паччахь волчу шен векалш бахийтира хабар эцна: «Вайна юкъа хӀун доьлла? Хьо тхан лаьтта тӀе тӀамца хӀунда веана?» — аьлла.</verse>
				<verse number="13">Ӏамминхойн паччахьо Яптахьан векалшка жоп делира: «Исраилан халкъ Мисар-махкара схьадогӀучу хенахь, цо Арнон-хина тӀера Ябокхний, Йорданний тӀекхаччалц сан латтанаш дӀалаьцна. Уьш машарца юхадерзаде суна».</verse>
				<verse number="14">Шена и хабар схьакхаьчча, Яптахьа уьш юха а Ӏамминхойн паччахь волчу дӀахьовсийра</verse>
				<verse number="15">цуьнга дӀаала: «Яптахьа иштта боху: „Исраилхоша я муабахойн а, я Ӏамминхойн а латтанаш схьа ца лаьцна,</verse>
				<verse number="16">хӀунда аьлча Мисар-махкара схьадогӀучу хенахь Исраилан къам, яьссачу аренгахула Эрзийн хӀорд болчу а кхаьчна, цигара Кхадеше кхечира.</verse>
				<verse number="17">Цигара исраилхоша шайн векалш бахийтира Эдомерчу паччахьна тӀе хабар эцна: ‘Хьайн лаьттана тӀехула дӀадаха пурба лахьара ахьа’, — аьлла. Амма Эдоман паччахьо и пурба ца делира царна. Цара иштта муабахойн паччахьна тӀе а бахийтира векалш. Цо а шен лаьттана тӀехула дӀадаха пурба ца делира царна. Цундела Исраилан халкъ Кхадешахь сецнера.</verse>
				<verse number="18">Цул тӀаьхьа Исраилан халкъ яьссачу аренгахула дӀадахара, эдомхойн а, муабахойн а латтанашна гобоккхуш тӀех а долуш. Уьш муабахойн лаьттан малхбалехьа йолчу меттехь, Арнон-хин йистехь, севцира. Муабахойн лаьттана тӀе ца бевлира уьш, хӀунда аьлча церан лаьттан доза Арнон-хица дара.</verse>
				<verse number="19">Исраилхоша шайн векалш бахийтира Хьешбон-гӀалара эмархойн паччахь волчу Сихьонна тӀе. Векалша Сихьоне элира: ‘Исраилан халкъ хьайн лаьтта тӀехула дӀадахийтахьара ахьа. Тхо тхайн лаьтта тӀе дӀадаха дохкура’.</verse>
				<verse number="20">Амма Сихьона исраилхошна шен лаьтта тӀехула дӀадаха пурба ца делира. Иза, шен халкъ схьа а гулдина, ЯхӀацахь меттамотт дӀа а хӀоттийна, исраилхошца лата кечвелира.</verse>
				<verse number="21">Исраилан халкъан Везачу Дала Сихьон а, цуьнан къам а исраилхойн кара схьаделира. Эмархойн дерриг а латта исраилхойн дола делира.</verse>
				<verse number="22">Церан карахь дара Арнон-хина тӀера дуьйна Ябокх-хина тӀекхаччалц а, иштта яьссачу аренгара Йорданна тӀекхаччалц а долу латта.</verse>
				<verse number="23">Исраилан халкъан Везачу Дала Шен Исраилан халкъана хьалхара эмархой дӀалаьхкина, ткъа хьо хӀинца и латта схьадаккха гӀерташ ву?</verse>
				<verse number="24">Шайн дела волчу Камоша делла латта шун долахь ма ду! Иштта тхо а дехар ду тхайн Везачу Дала тхайна деллачу лаьтта тӀехь!</verse>
				<verse number="25">Ткъа хьо муабахойн паччахь волчу Ципуран кӀантал Балакхал тоьлуш ву? Исраилхошца барт эгӀар хиллий цуьнан, я тӀом бина цо цаьрца?</verse>
				<verse number="26">Исраилан халкъ Хьешбонехь кхаа бӀе шарахь даьхна, иштта ӀаруӀерахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а, Арнон-хина гонахьа мел йолчу гӀаланашкахь а даьхна. Цу хенахь хӀунда ца даьккхира аша и латта схьа?</verse>
				<verse number="27">Хьуна хьалхахь цхьана а тайпана бехк бац сан, ткъа хьо, суна тӀамца дуьхьал а ваьлла, вонаш деш лелаш ву. Кхелахо волчу Везачу Эло йойла вайна юкъахь кхел, исраилхошний, Ӏамминхошний юкъара Цо хоржийла бехке верг“».</verse>
				<verse number="28">Амма Яптахьа векалшкахула аьллачуьнга Ӏамминхойн паччахьо ла ца дуьйгӀира.</verse>
				<verse number="29">Яптахьна тӀе Везачу Элан Са доьссира. Иза ГалӀадан а, Маннашан а мехкашкахула а, иштта ГалӀадарчу МицӀпехула Ӏамминхойн махка тӀе кхечира.</verse>
				<verse number="30">Цо, Везачу Элана хьалха нигат деш, элира: «Нагахь санна Ӏамминхой Ахьа сан кара схьалахь,</verse>
				<verse number="31">со толамца цигара юхавирзинчул тӀаьхьа, сайн керта чуволуш сайна дуьххьара дуьхьалкхеттарг Хьуна сагӀина дӀалур ду Аса, иза дага а деш».</verse>
				<verse number="32">Цул тӀаьхьа Яптахьа, Ӏамминхой болчу а вахана, цаьрца тӀом бира. Везачу Эло Ӏамминхой цуьнан кара дӀабелира.</verse>
				<verse number="33">Цо ӀаруӀера дуьйна Минит-гӀалина тӀекхаччалц а, цигара дӀа Абал-Кирамамна тӀекхаччалц а йолу ткъа гӀала йохийна дӀаяьккхира. Иза Ӏамминхошна тӀехь баьккхина боккха толам бара. ХӀетахь дуьйна схьа уьш исраилхошна хьалхахь къера бара.</verse>
				<verse number="34">Яптахь МицӀпахь долчу шен цӀа юхавирзира. Цунна гира, жиргӀа а етташ, эшарш а лоькхуш, хелхарш а деш, дуьхьалйогӀуш йолу шен цхьаъ бен йоцу йоӀ. Цуьнан кхин я кӀант а, я йоӀ а дацара.</verse>
				<verse number="35">Шена дуьхьалйогӀуш йолу шен йоӀ гича, Яптахьа шена тӀера бедарш этӀийра, ша холчу хӀоттар дӀагойтуш. Цо элира: «Сан йоӀ! Со вий-кх ахьа! Со дакъазаваьккхи-кх ахьа! Аса Везачу Элана хьалхахь дина нигат ду, иза дохо сан йиш а яц!»</verse>
				<verse number="36">Яптахье цуьнан йоӀа элира: «Сан да! Везачу Элана ахьа дош делла, цундела ахьа иза кхочушдан деза. Везачу Эло хьан мостагӀий болчу Ӏамминхошна бекхам ма байтина хьоьга!»</verse>
				<verse number="37">Цул тӀаьхьа цо шен дега элира: «Цхьа гӀуллакх дехьа ахьа сан дуьхьа: со шина баттана сайна луъучу дӀаяхийтахьа. Лаьмнашкахула лелаш, сайн доттагӀашца йоьлхур яра со цкъа а маре ца йоьдуш йисарна».</verse>
				<verse number="38">Цо шен йоӀе элира: «ГӀо хьайна». Шина баттана дӀаяхийтира цо иза. Шен доттагӀашца дӀа а яхана, цо и хан, ша цкъа а маре гӀург цахилар бахьана долуш, лаьмнашкахь йоьлхуш яьккхира.</verse>
				<verse number="39">Ши бутт дӀабаьллачул тӀаьхьа иза шен да волчу юхайирзира. Дас ша Везачу Элана хьалхахь дина долу нигат кхочушдира. Иштта Яптахьан йоӀ цкъа а боьршачу стагах ца кхийтира. Ткъа Исраилан махкахь ламаст хилла дӀахӀоьттира,</verse>
				<verse number="40">хӀора шарахь массо а зударша диъ де галӀадхо волчу Яптахьан йоӀана боьлхуш даккхар.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="12">
				<verse number="1">Эпраймхой, вовшах а кхетта, Цапун-гӀала дехьабевлира. Цара Яптахье элира: «Хьо Ӏамминхошца тӀом бан воьдучу хенахь тхо хӀунда ца дигира ахьа хьайца? Оха хьан цӀа хьоьца цхьаьна дагор ду».</verse>
				<verse number="2">Яптахьа цаьрга элира: «Тхуний, Ӏамминхошний юкъахь доккха дов дара. Аса шуьга гӀо дийхира, амма аша тхо кӀелхьара ца дехира.</verse>
				<verse number="3">Аша тхуна гӀо ца дойла хиъча, оха тхаьш кхоа а ца деш, хил дехьа а девлла, Ӏамминхошца тӀом бира. Везачу Эло уьш тхан кара схьа а белира. Шу хӀинца стенна даьхкина соьца тӀом бан?»</verse>
				<verse number="4">Цул тӀаьхьа Яптахьа, ГалӀадара массо а стаг схьа а гулвина, эпраймхошца тӀом бира. Царна тӀехь цо толам баьккхира, хӀунда аьлча эпраймхоша аьллера: «Шу бевдда баьхкинчу эпраймхойх а, маннашхойх а тӀаьхьадисина долу цхьа дакъа ду».</verse>
				<verse number="5">ГалӀадхоша Йордан-хих дехьаволуш йолу меттигаш дӀалецира. Шайга хӀаллакбаза бисина болчу эпраймхоша хил дехьадовла пурба дехча, галӀадхоша цаьрга хоттура: «Хьо эпраймхо-м вац?» Цара «Вац» — аьлла жоп делча,</verse>
				<verse number="6">галӀадхоша цаьрга «шибболет» боху дош ала олура. Амма эпраймхошка и дош нийса ца алалуш, цара «сибболет» олура. ГалӀадхошна иштта хаьара, уьш эпраймхой буйла. Уьш цара хил дехьаволийла йолчохь бойура. Цигахь иштта шовзткъе шиъ эзар эпраймхо хӀаллакьхилира.</verse>
				<verse number="7">Яптахь ялх шарахь Исраилан мехкан куьйгалхо лаьттира. Цул тӀаьхьа Яптахьан кхалхар хилира. Иза ГалӀадарчу цхьана гӀалахь дӀавоьллира.</verse>
				<verse number="8">Яптахьана тӀаьхьа Исраилан махкахь кхелахо Байтлахам-гӀалара Ивцан вара.</verse>
				<verse number="9">Цуьнан ткъе итт кӀант а, ткъе итт йоӀ а яра. Цо шен зудабераш шайн гергара боцчу божаршка маре бахийтира, ткъа шен кӀенташна шайн гергара боцчу нехан зудабераш далийра. Ивцан ворхӀ шарахь Исраилан махкахь куьйгалхо хилла лаьттира.</verse>
				<verse number="10">Цул тӀаьхьа Ивцан кхелхира. Иза дӀавоьллира Байтлахам-гӀалахь.</verse>
				<verse number="11">Ивцанна тӀаьхьа Исраилан махкахь куьйгалхо хилла дӀахӀоьттира Забулан тайпанах волу Эйлон. Иза цу даржехь итт шарахь лаьттира.</verse>
				<verse number="12">Цул тӀаьхьа Забулан некъех волу Эйлон кхелхира. Иза дӀавоьллира Забулан лаьтта тӀехь йолчу Айлон-гӀалахь.</verse>
				<verse number="13">Эйлон веллачул тӀаьхьа Исраилан мехкан куьйгалхо хилла дӀахӀоьттира Ӏабдани. Иза вара ПӀарӀатунарчу ХӀалилин кӀант.</verse>
				<verse number="14">Ӏабданин шовзткъа кӀант а, ткъе итт кӀентан кӀант а вара. Уьш кхузткъе итт вирана тӀехиъна лелаш бара. Иза бархӀ шарахь Исраилан мехкан куьйгалхо лаьттира.</verse>
				<verse number="15">Цул тӀаьхьа ПӀарӀатунарчу ХӀалилин кӀант Ӏабдани кхелхира. Иза Ӏамалекхахой Ӏаш хиллачу лаьмнашкахь, Эпрайман лаьтта тӀехь йолчу ПӀарӀатунахь, дӀавоьллира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="13">
				<verse number="1">Исраилхой юха а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш лело буьйлабелира. Цундела Цо уьш шовзткъа шарна пӀелаштамхойн кара дӀабелира.</verse>
				<verse number="2">Цу хенахь Манахь цӀе а йолуш, Данан тӀаьхьенах волу цхьа стаг вара ЦорӀа-гӀалахь вехаш. Цуьнан зуда берах хуьлуш яцара.</verse>
				<verse number="3">Цу зудчунна дуьхьал Везачу Элан Малик деара. Цо элира: «Хьо берах хуьлуш а, бер деш а ца хиллехь а, ахьа, берах а хилла, кӀант вийр ву.</verse>
				<verse number="4">ХӀинцачул тӀаьхьа ларлуш хила, цхьанна а тайпана долу чагӀар а ма мала, Далла хьалха боьха йолу хӀума а ма яа.</verse>
				<verse number="5">ХӀинца берах а хилла, ахьа кӀант вича, цуьнан корта дӀа ма башийта, хӀунда аьлча иза хьан кийрахь волчу хенахь дуьйна Дала къобалвина назархо хир ву, иза Исраилан халкъ пӀелаштамхойх кӀелхьардаккха волалур ву».</verse>
				<verse number="6">Зудчо, схьа а еана, шен майрачуьнга элира: «Делан стаг веанера со йолчу. ТӀехьаьжча, Делан маликах тера а волуш, чӀогӀа даг чу кхерам тосуьйтуш стаг вара иза. Аса мичара ву аьлла ца хаьттира цуьнга, ткъа цо шен цӀе а ца яьккхира.</verse>
				<verse number="7">Цо элира: „Ахьа кӀант вийр ву. Цундела цхьа а тайпана вахош долу малар а ма мала, Далла цӀена хетарг бен хӀума а ма яа, хӀунда аьлча и бер хьан кийрахь долчу хенахь дуьйна ша дуьнен чуьра дӀадаллалц Дала вазвина назархо хир ву“».</verse>
				<verse number="8">ТӀаккха Манахьа шен доӀанна тӀехь Везачу Эле дехар деш элира: «Веза Эла! Делан стаг кхин а цкъа тхо долчу ваийтахьара Ахьа, тхоьга дуьнен чу дала дезачу цу берана оха хӀун дан деза дуьйцуш».</verse>
				<verse number="9">Далла Манахьан аз дӀахезира. Делан малик, Манахьан зуда йолчу юха а деана, дӀахӀоьттира. Цу хенахь иза аренгахь яра, цунна уллохь цуьнан майра волу Манахь а вацара.</verse>
				<verse number="10">Едда шен майра волчу а яхана, зудчо цуьнга хаам беш элира: «Со йолчу юха а тохарлера стаг веана».</verse>
				<verse number="11">Манахь, хьала а гӀаьттина, шен зудчунна тӀаьхьа а хӀоьттина, цу стагана тӀевахара. Цо элира: «Хьо вуй хӀокху зудчуьнца къамел динарг?» Малико элира: «Со ву».</verse>
				<verse number="12">Манахьа элира: «И хьан дешнаш кхочушхиллачул тӀаьхьа, кӀант муха кхио веза оха? Цунна хӀун дан деза?»</verse>
				<verse number="13">Везачу Элан Малико элира: «Хьайн зудчуьнга аса мел аьллачух ларло ала.</verse>
				<verse number="14">Кемсийн таьллангех йолуш йолу хӀума ма яийта, вахош долу маларш а ма малийта, Далла боьха хетачу хӀуманех мотт а ма тохийта. И аса аьлларг дерриг а кхочушдайта цуьнга».</verse>
				<verse number="15">Манахьа Везачу Элан Малике элира: «Тхуна хьо социйла лаьара, буьхьиган жижиг кхихкина даллалц».</verse>
				<verse number="16">Везачу Элан Малико Манахье элира: «Со кхузахь соцуш хилахь а, аса хьан кхача буур бац. Нагахь санна дийнаташ дагоран сагӀа даккха лууш хьо велахь, и гӀуллакх Везачу Элан дуьхьа де». Манахьана ца хаьара, иза Везачу Элан Малик дуйла.</verse>
				<verse number="17">Манахьа Везачу Элан Малике элира: «Хьан цӀе хӀун ю? Хьан дешнаш кхочушхилча, тхуна луур ду хьан сий хьаладаккха».</verse>
				<verse number="18">Везачу Элан Малико цуьнга элира: «Сан цӀе хӀунда хоьтту ахьа? Иза тамашийна ю».</verse>
				<verse number="19">ТӀаккха Манахьа, буьхьиг а, кӀа а схьа а эцна, тӀулга тӀехь Везачу Элана сагӀа даьккхира. Манахь а, цуьнан зуда а хьоьжучу хенахь Везачу Эло цхьа тамашийна гӀуллакх дира.</verse>
				<verse number="20">СагӀа доккхучу тӀулгашна тӀера цӀе стигала хьалаяхча, Везачу Элан Малик цу цӀарца стигала хьаладахара. И хӀума шайна гича, Манахь а, цуьнан зуда а лаьтта бертал охьадуьйжира.</verse>
				<verse number="21">Везачу Элан Малик Манахьана а, цуьнан зудчунна а гучуьра къайладелира. ТӀаккха Манахьана хиира, иза Везачу Элан Малик дуйла.</verse>
				<verse number="22">Манахьа шен зудчуьнга элира: «Вайна Дела гира! Цундела вайшиъ лийр ду!»</verse>
				<verse number="23">Амма цуьнан зудчо элира: «Везачу Элана вайшиъ ден лиънехь, Цо вайшиммо сагӀина лерина йолу буьхьиг а, кӀен сагӀа а дӀаоьцур дацара. Иштта Цо Ша гайтинарг а гойтур дацара вайна я цхьа а тайпана хӀума а эр дацара».</verse>
				<verse number="24">Цу зудчо кӀант вира, цуьнан цӀе Шамшон а тиллира. И бер кхуьуш догӀуш дара, Везачу Эло иза къобал а дора.</verse>
				<verse number="25">Везачу Элан Са иза меттахъхьеван доладелира Махьаней-Дан цӀе йолчу меттехь иза волчу хенахь. И меттиг ЦорӀаний, Эштаулний юккъехь дӀахӀоттийна яра.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="14">
				<verse number="1">Цхьана дийнахь Шамшон Тамна-гӀала вахча, цунна пӀелаштамхойн цхьа жима зуда гира.</verse>
				<verse number="2">ЦӀа а веана, цо шен дегий, неней элира: «Суна Тамна-гӀалахь пӀелаштамхойн цхьа йоӀ гира. Иза суна схьаялае».</verse>
				<verse number="3">Дас-нанас цуьнга элира: «Хьан гергарчарна я къомана юкъахь яц ахьа ялон мегар йолу йоӀ? Стенна лоьху ахьа сунтбаза болчу пӀелаштамхошна юкъахь хьайна яло зуда?» Амма Шамшона шен дега элира: «Иза ялае суна. И йоӀ суна хазахетта».</verse>
				<verse number="4">Цуьнан дений, нанний ца хаьара, и хӀума Везачу Элера дуйла: Иза пӀелаштамхошна бекхам бан меттиг йоккхуш вара. Цу хенахь пӀелаштамхой Исраилан махкахь олалла деш бара.</verse>
				<verse number="5">Шамшон шен деций, ненаций Тамна-гӀала вахара. Цу гӀалин йистехь йолчу кемсийн беша улло хӀорш нисбелча, цунна дуьхьал, гӀигӀ деш, къона лом делира.</verse>
				<verse number="6">Шамшонна тӀе Везачу Элан Са доьссира, тӀаккха цо и лом, буьхьиг санна, этӀийна, цистина, дӀадаьккхира. Цо шен дега а, нене а цунах лаьцна хӀумма а ца элира.</verse>
				<verse number="7">Шамшона, гӀала а веана, цу пӀелаштамхойн йоӀаца къамел дира. Цунна иза езаелира.</verse>
				<verse number="8">Масех де даьлча, иза юха а цу гӀала вахара, шена пӀелаштамхойн и йоӀ яло дагахь. Новкъахула дӀавоьдуш, ша дийна долчу лоьме хьажа вахара иза. Еллачу хӀуманна чохь цунна гира накхармозийн вай а, моз а.</verse>
				<verse number="9">Шамшона и моз, куьйгаца схьа а эцна, новкъахула дӀавоьддушехь диира. ЦӀа веача, шен дений, нанний кӀеззиг моз делира цо. Цара иза диира. Амма Шамшона цаьрга дӀа ца элира, ша и моз деллачу лоьмана чуьра даьккхина хилар.</verse>
				<verse number="10">Шамшонан да цу йоӀе хьажа вахара. Цигахь Шамшона, зуда ялош волчо ма-хӀоттора, той дӀахӀоттийра.</verse>
				<verse number="11">Шамшон шайна гича, пӀелаштамхоша ткъе итт стаг вахийтира иза волчу. Уьш цуьнца хила безаш бара.</verse>
				<verse number="12">Шамшона цаьрга элира: «Аса хӀетал-метал лур ду шуна. Той дӀахьочу ворхӀ дийнахь шуна иза хаахь, аса гатанан ткъе итт духар а, хуьйцуш юха ткъе итт тӀехулара бедар а лур ю шуна.</verse>
				<verse number="13">Нагахь санна аса делла долу хӀетал-метал шуна ца хаахь, аша суна схьаяла еза ткъе итт коч а, ткъе уьттазза хийца бедар а». Цара элира: «Схьаала хьайн хӀетал-метал. Тхо ладугӀуш ду».</verse>
				<verse number="14">Шамшона цаьрга хӀетал-метал делира: «Юуш волчунна чуьра яа хӀума елира, ткъа ницкъ болуш волчунна чуьра мерзаниг елира». Кхаа дийнахь хӀетал-метална жоп дала ца хууш Ӏийра уьш.</verse>
				<verse number="15">ДоьалгӀачу дийнахь Шамшонан зудчуьнга цара элира: «ХӀетал-метал схьаала бертавалаве хьайн майра. Иза цо схьа ца алахь, оха хьо а, хьан ден цӀа а дагор ду. ЧӀим санна, тхо цӀандан кхайкхинера аша?»</verse>
				<verse number="16">Зуда, йоьлхуш, дӀахӀоьттира Шамшонна хьалха. Цо бохура: «Хьуна со ца еза. Сан къомана хӀетал-метал делла ахьа, ткъа соьга иза ахьа схьа ца олу». Шамшона цуьнга элира: «Сайн дега а, нене а ца аьлла аса иза. Ткъа хьоьга ала дезара аса иза?»</verse>
				<verse number="17">Кхаьргахь той дӀахьочу ворхӀ дийнахь йилхина иза Шамшонна хьалха. ТӀаьххьара а ворхӀалгӀачу дийнахь зуда шега дехар дечуьра ца сецча, цо цуьнга хӀетал-метал дӀадийцира. ТӀаккха зудчо и хӀетал-метал шен къомах болчарна довзийтира.</verse>
				<verse number="18">ВорхӀалгӀачу дийнахь малх дӀабузале пӀелаштамхоша Шамшоне элира: «Мазал мерза хӀун ю, лоьмал ницкъ болуш мила ву?» Ткъа Шамшона цаьрга элира: «Сан дуьхьаргана тӀехь аша охана деш ца хиллехь, шуна сан хӀетал-метал хуур дацара».</verse>
				<verse number="19">Цуьнга ницкъ боуьйтуш, Везачу Элан Са доьссира Шамшонна тӀе. Цо, Ашкхилун цӀе йолчу гӀала а вахана, цигахь ткъе итт пӀелаштамхо а вийна, царна тӀера кучамаш а, кхийолу бедарш а, схьа а яьхна, хӀетал-метал хиъначарна дӀаелира. Цул тӀаьхьа, чӀогӀа оьгӀаз а вахана, иза шен ден цӀа вахара.</verse>
				<verse number="20">Ткъа Шамшонан зуда церан тойнехь хьаша хиллачу кхуьнан доттагӀчуьнга маре дӀаелира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="15">
				<verse number="1">Масех де даьлча, кӀа хьокхучу хенахь, Шамшон шен зуда йолчу веара, жима буьхьиг а яхьаш, иза гархьама. Стундега цо элира: «Сайн зуда дӀаюьжучу чугӀур ву со». Амма вукхо иза чу ца вахийтира.</verse>
				<verse number="2">Цо элира: «Суна моьттинера, иза хьуна ца езаелла, цундела аса иза хьан доттагӀчуьнга маре дӀаелира. Цул жимах ерг хазо ю хьуна, иза цуьнан метта дӀайига».</verse>
				<verse number="3">Амма Шамшона цаьрга элира: «ХӀинца суна цхьаммо а бехк буьллур бац, аса пӀелаштамхошна зен дахь».</verse>
				<verse number="4">Шамшона, ваха а вахана, кхо бӀе цхьогал а лаьцна, уьш шишша цхьаьна шайн цӀогарчашца дӀа а дихкина, хӀора шина цӀоганна юкъахь хаьштиг дихкира.</verse>
				<verse number="5">И хаьштигаш лата а дина, цо и кхо бӀе цхьогал пӀелаштамхойн кхашна тӀе дӀахийцира. Хьаькхна лаьтташ долу кӀен цӀевнаш а, хьакхаза долу кӀа а, кемсийн аренаш а, зайт-дитташ а дагийна дӀадехира.</verse>
				<verse number="6">ПӀелаштамхоша хоьттура: «Иза хьан дина?» Царна жоп делира: «Тамнахочун нуц волчу Шамшона дина, шен зуда цуьнан дас кхечунна дӀаелла дела». ПӀелаштамхоша и зуда а, цуьнан да а волчу а баьхкина, уьш, цӀе а тесна, багийра.</verse>
				<verse number="7">Шамшона цаьрга элира: «Аша иза дарна, аса бекхам бийр бу шуна. Цул тӀаьхьа бен суна тем хир бац».</verse>
				<verse number="8">Настарш а, хенаш а кегдина, пӀелаштамхой охьабехкира цо. Цул тӀаьхьа иза ӀайтӀам олучу тархана уллорачу чӀожа чохь охьахиира.</verse>
				<verse number="9">Ткъа пӀелаштамхой, тӀамана ара а бевлла, ЯхӀуд-махкахь шайн меттамотт дӀа а хӀоттийна, Лахьи олучу меттигна тӀелетира.</verse>
				<verse number="10">ЯхӀуд-махкарчу бахархоша цаьрга хаьттира: «Шу тхуна дуьхьал хӀунда девлла?» ПӀелаштамхоша жоп делира: «Тхо, Шамшон схьа а лаьцна, иза дӀавехка даьхкина. Оха цунна тӀехь а дийр ду цо тхайна диннарг».</verse>
				<verse number="11">ЯхӀуд-махкара кхаа эзар стага, ӀайтӀам цӀе йолчу тархана уллохь Ӏуьллучу чӀожа чу а вахана, Шамшоне элира: «Хьуна ца хаьа пӀелаштамхой тхуна тӀехь олалла деш дӀахӀиттинийла? ХӀунда дина ахьа иза?» Шамшона цаьрга элира: «Цара суна динарг аса царна дӀадекхна».</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха цара цуьнга элира: «Тхо хьо, дӀа а вихкина, пӀелаштамхошка дӀавала даьхкина». Шамшона цаьрга элира: «Шаьш со вуьйр вац алий, дуй баа».</verse>
				<verse number="13">Цара жоп делира: «Оха хьо, дӀавехкар бен, вуьйр вац. Цул тӀаьхьа пӀелаштамхойн кара дӀалур ву». ЦӀеначу шина муьшаца иза дӀа а вихкина, чӀожа чуьра Шамшон араваьккхира цара.</verse>
				<verse number="14">Иза Лахьина улло кхаьчча, пӀелаштамхой маьхьаршца дуьхьалбевлира цунна. ТӀаккха Шамшонна тӀе Везачу Элан Са доьссира. Цуьнан куьйгаш дӀадихкина долу машшаш даьгна дӀадаьлла долу вета санна хилла дӀахӀиттира. Цуьнан куьйгаш тӀера буржалш охьаийгира.</verse>
				<verse number="15">Дукха хан йоццуш еллачу виран мочхал карийра цунна. Куьг дӀа а кховдийна, иза схьа а эцна, цуьнца цо цхьа эзар стаг вийра.</verse>
				<verse number="16">Шамшона элира: «Виран мочхалца царах баьрзнаш а дина, виран мочхалца аса эзар стаг ма вийра!»</verse>
				<verse number="17">И дешнаш а аьлла, шен карара мочхал дӀакхоьссира цо. Цу меттиган цӀе Рамат-Лахьи тиллира цо (иза «мочхалан Рамат» бохург ду).</verse>
				<verse number="18">Иза чӀогӀа хьагвеллера. Цо, Везачу Эле вистхуьлуш, элира: «Хьайн лен карахула Ахьа тхо кӀелхьардехи. Ткъа хӀинца со, хьогалла вала а велла, хӀокху сунтбаза болчеран кара ма вахийтахьара Ахьа».</verse>
				<verse number="19">Дала боккха кӀаг балийтира Лахьи-меттехь, цу чуьра хи хьаладелира. Шамшона и хи меллачул тӀаьхьа, цуьнан ницкъ юхабеара. Цундела тиллина цу меттиган цӀе Ӏейн-Кхури аьлла (иза «кхойкхучун хьоста» бохург ду). Иза хӀинца а Лахьи-меттехь йолуш ю.</verse>
				<verse number="20">Шамшон пӀелаштамхойн заманахь ткъа шарахь Исраилан мехкан куьйгалхо хилла лаьттира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="16">
				<verse number="1">Цхьана дийнахь Шамшон Ӏази-гӀала кхечира. Цигахь цунна нахаца лелаш йолу цхьа зуда гира. Шамшон иза йолчу вахара.</verse>
				<verse number="2">Ӏази-гӀаларчу бахархоша элира: «Кхуза Шамшон веана». Иза ларвеш, буьйса дӀаяллалц Ӏийра уьш гӀалин ков долчохь. «Ӏуьйре тӀекхаьчча, Шамшон вуьйр ву вай», — аьлла, ерриг а буьйса бист ца хуьлуш яьккхира цара.</verse>
				<verse number="3">Буьйса юккъе яххалц вижина Ӏиллира Шамшон. Цул тӀаьхьа, хьала а гӀаьттина, катоьхна, гӀалин ков шен гураца, боьллинчу гӀуйца цхьаьна схьа а даьккхина, шен белшашна тӀе а диллина, Хьевронана малхбалехьа болчу ломан буьххье хьаладаьккхира цо.</verse>
				<verse number="4">Дукха хан ялале, цунна цхьа зуда езаелира, Суракх олучу тогӀи чохь Ӏаш йолу. Цуьнан цӀе Делила яра.</verse>
				<verse number="5">Иза йолчу пӀелаштамхойн куьйгалхой баьхкира дехарца: «Хаа хьажахьара хьо, стенца доьзна ду Шамшонан ницкъ болуш хилар. ТӀаккха тхуна хуур дара, иза, дӀа а вихкина, муха сацо веза. Ахьа тхан дехар кхочушдахь, оха хӀораммо а хьуна цхьа эзар бӀе шекхал дети лур дара».</verse>
				<verse number="6">Делилас Шамшоне элира: «Дийцахьа соьга, стенца доьзна ду хьан цу тайпана ницкъ болуш хилар? Стенца дӀавихкина сацо веза хьо?»</verse>
				<verse number="7">Шамшона цуьнга элира: «Нагахь санна со якъоза йолчу керлачу ворхӀ зӀенарца дӀавехкахь, соьгара ницкъ дӀа а баьлла, со массо а нах санна хир ву».</verse>
				<verse number="8">Эццахь пӀелаштамхойн куьйгалхоша якъоза тӀуьна йолу ворхӀ керла зӀенар еара. ТӀаккха Делилас цаьрца Шамшон дӀавихкира.</verse>
				<verse number="9">Шен цӀа чохь цхьаболу божарий дӀа а лачкъийна, цо элира: «Шамшон! ПӀелаштамхой бу хьуна тӀебогӀуш!» Цо, тохавелла, зӀенарш хадийра, яьгначу бехчалган теш санна. Цундела пӀелаштамхошна цуьнан ницкъ стенца боьзна бу ца хиира.</verse>
				<verse number="10">ТӀаккха Делилас Шамшоне элира: «Ахьа со лейина, бакъдерг схьа а ца дуьйцуш. ХӀинца мукъана дийцахьа, хьо стенца дӀавехка веза?»</verse>
				<verse number="11">Шамшона элира: «Нагахь санна со цкъа а лелоза долчу машшашца дӀавехкахь, соьгахь ницкъ хир бац. Со массо а нах санна хир ву».</verse>
				<verse number="12">Делилас, керла машшаш схьа а эцна, иза дӀавихкира. Цуьнан цӀа чохь цхьаболу божарий дӀа а лачкъийна, цо цуьнга элира: «Шамшон! ПӀелаштамхой бу хьуна тӀебогӀуш!» И машшаш цо шен куьйгаш тӀера, теш санна, охьадехира.</verse>
				<verse number="13">Делилас юха а Шамшоне элира: «Со массо а хенахь лейо ахь, суна харцдерг а дуьйцуш. Дийцахьа соьга, муха дӀавехка веза хьо?» Шамшона цуьнга элира: «КӀади деш йолчу чорха тӀехь сан месех йина йолу ворхӀ чӀаба цу кӀадинах дӀа а юьйцина, ахьа иза хьостамашца гуьйригах дӀатохахь, со, массо а нах санна, гӀийла хир ву». Иштта иза вижинчул тӀаьхьа, цуьнан ворхӀ чӀаба кӀадинах дӀа а юьйцина,</verse>
				<verse number="14">уьш, цо ма-аллара, гуьйригах дӀа а тоьхна, Делилас цуьнга элира: «ПӀелаштамхой хьуна тӀебогӀуш бу, Шамшон!» Вижинчуьра сама а ваьлла, кӀадица цхьаьна гуьйриг а озийна схьаяьккхира цо.</verse>
				<verse number="15">Делилас цуьнга элира: «Ахьа, со еза бохуш, къамелаш дахь а, хьан дог соьца дац. Кхузза со лейина ахьа, хьайгахь болу боккха ницкъ мичара бу ца дуьйцуш».</verse>
				<verse number="16">ХӀора дийнахь чӀогӀа сагатдора цо Шамшонан, цуьнан къайле гучуяккха гӀерташ. Иза валлал чӀогӀа саготта вара.</verse>
				<verse number="17">ТӀаьххьара а цо Делилига элира: «Сан месех цкъа а урс хьакхаделла дац, хӀунда аьлча со, сайн ненан кийрахь воллушехь, Далла лерина назархо хилла схьавогӀуш ву. Сан корта дӀабашахь, соьгара ницкъ дӀабер бу. ТӀаккха со массо а нах санна хилла дӀахӀуттур ву».</verse>
				<verse number="18">Делилас, цо шен къайле гучуяьккхинийла хиъна, пӀелаштамхойн куьйгалхошка кхайкха стаг вахийтира. Цо ша бохуьйтуш болчаьрга элира: «ХӀинца цо суна шен мел йолу къайле гучуяьккхина». Шайн карахь дети а долуш, пӀелаштамхойн куьйгалхой Делила йолчу баьхкира.</verse>
				<verse number="19">Шен голаш тӀехь Делилас Шамшон дӀавижийра. Иза тхьаьвсинчул тӀаьхьа, цо цхьа стаг схьа а кхайкхина, Шамшонан коьртара ворхӀ чӀаба дӀахадаяйтира. Иза, малвелла, ницкъ дӀа а баьлла, дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="20">Делилас элира: «ПӀелаштамхой хьуна тӀебогӀуш бу, Шамшон!» Сама а ваьлла, цо элира: «Ваха а вахана, хьалха санна, кӀелхьарвер ву со!» Цунна ца хаьара, Везачу Эло ша витинийла.</verse>
				<verse number="21">ПӀелаштамхоша, схьа а лаьцна, цуьнан ши бӀаьрг баьккхира. Цул тӀаьхьа Ӏази-гӀала дӀа а вигна, цӀестан шина зӀенаца цунна буржал туьйхира цара. Цунна тутмакхийн цӀа чохь кӀа ахьар тӀедожийра.</verse>
				<verse number="22">Цу хенахь цуьнан коьртара дӀахедийна йолу месаш тӀейовлуш яра.</verse>
				<verse number="23">ПӀелаштамхойн куьйгалхой вовшахкхеттера сакъера а, шайн дела волчу ДагӀонна доккха сагӀа даккха а. Цара бохура: «Вайн дала Шамшон вайн кара схьавелла».</verse>
				<verse number="24">ПӀелаштамхой а, шайна Шамшон гича, шайн далла хастамаш бан буьйлабелира: «Вайна юкъара дуккха а нах хӀаллакбеш, вайн мохк бассош хилла волу вайн мостагӀ вайн дала вайн кара схьавелла».</verse>
				<verse number="25">Шайн сакъераделлачу меттехь цара элира: «Схьакхайкхал Шамшоне вайн самукъадаккхийта». Тутмакхийн цӀа чуьра Шамшон кхайкхина схьавалийра. Церан самукъадоккхуш вара иза. Шамшон цара шина бӀогӀамна юккъехь дӀахӀоттийра.</verse>
				<verse number="26">Шен куьг а лаьцна лелаш волчу жимачу кӀанте Шамшона элира: «И цӀа тӀехь лаьтташ болчу бӀогӀамашна улло дӀавигахьа со царах куьг Ӏоттийта. Суна цу бӀогӀамашна тӀетовжа лаьа».</verse>
				<verse number="27">Цу цӀа чохь дуккха а зударий а, божарий а бара. Царна юкъахь схьагулвелла массо а пӀелаштамхойн куьйгалхо а вара. ЦӀийнан тхов тӀехь Шамшоне, бийла а буьйлуш, хьоьжуш лаьтташ кхо эзар хиллал стаг а, зуда а яра.</verse>
				<verse number="28">Везачу Эле дехар дира Шамшона: «Сан Хьалдолу Эла! Дагаваийтахьа со Хьайна! Цкъа мукъана а ницкъ лохьа суна сайн ши бӀаьрг бахьана долуш пӀелаштамхошна бекхам бан».</verse>
				<verse number="29">Катоьхна, дерриг а цӀа тӀехь а долуш, юккъехь лаьтташ болу ши бӀогӀам схьа а лаьцна, аьтту а, аьрру а куьйгашца и ши бӀогӀам дӀасатеттира цо.</verse>
				<verse number="30">Цо элира: «Сан а пӀелаштамхошца са долийла!» Шен ницкъ мел бу дӀасатеттира цо и ши бӀогӀам. Дерриг а цӀа пӀелаштамхойн куьйгалхошний, цу чохь хиллачу адамашний тӀедуьйжира. Ша лечу хенахь Шамшона хӀаллакбина болу пӀелаштамхой цо шен дахарехь хӀаллакбиначарал а алсам бара.</verse>
				<verse number="31">Цуьнан вежарша а, цӀийнах мел волчу стага а, схьа а баьхкина, иза дӀаваьхьира. ЦорӀаний, Эштаулний юккъехь, шен ден Манахьан къубба чохь, дӀавоьллира Шамшон. Иза ткъа шарахь Исраилан мехкан куьйгалхо хилла вара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="17">
				<verse number="1">Эпрайман лаьмнаш долчу махкахь вехаш Ӏаш хилла Мика цӀе йолу цхьа стаг.</verse>
				<verse number="2">Микас шен нене элира: «ДагадогӀий хьуна хьан лачкъийна долу цхьа эзар бӀе шекхал долу дети? Ахьа суна хьалха сардамаш а кхайкхийра иза лачкъийначунна. И дети соьгахь ду. Аса схьаэцнера иза». Нанас элира: «Везачу Эло декъала войла хьо, сан кӀант!»</verse>
				<verse number="3">Микас и дети шен нене дӀаделира. Ткъа нанас элира: «Сан кӀант, хьуна тӀера хӀара дети аса деккъа цхьана Везачу Элана лору. ЦӀу а вай, цунна тӀе дети дилла. ХӀинца аса хьуна и дети юхало».</verse>
				<verse number="4">Амма Микас дети шен нене юхаделира. Ткъа цо, ши бӀе шекхал дети схьа а эцна, иза дато пхьере дӀаделира. Цу пхьеро цунах тӀе дети диллина волу цӀу вира. И цӀу Микин цӀа чохь дӀахӀоттийна вара.</verse>
				<verse number="5">Микин шен делан цӀа дара. Цо ийпад а, цӀуш а бира. Цул тӀаьхьа цо, шен кӀенташна юкъара цхьаъ къобал а вина, цунах динан да вира.</verse>
				<verse number="6">Цу хенахь исраилхойн паччахь вацара, цундела хӀораммо а шена бакъахьа хеттарг дора.</verse>
				<verse number="7">ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалахь вехаш Левин тайпанах волу цхьа жима стаг хилла. Иза цигахь тӀевеана стаг санна Ӏаш вара.</verse>
				<verse number="8">Иза, Байтлахам-гӀалара ара а ваьлла, ша тӀекхаьчначохь ваха хаа дагахь лелаш вара. Лелаш, иза Эпрайман лаьмнашкахь лаьтташ йолчу Микин хӀусаме кхечира.</verse>
				<verse number="9">Микас цуьнга хаьттира: «Хьо мичара вогӀу?» Жимачу стага жоп делира: «Со ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалара левихо ву. Сайна ваха хаа меттиг лоьхуш ву со».</verse>
				<verse number="10">Микас цуьнга элира: «Со волчохь саца мегар ду хьуна, суна хьехамча а, динан да а хуьлуш. Аса хӀора шарахь итт шекхал дети а лур ду хьуна, даа-мала а, тӀедуха хӀума а латтор ду хьуна».</verse>
				<verse number="11">Левихойн жима стаг Мика волчохь саца резахилира. Иза цунна кӀант санна хилла дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="12">Микас иза къобалвича, жима стаг динан да хилла дӀахӀоьттира. Иза Микин хӀусамехь вехаш а вара.</verse>
				<verse number="13">Микас элира: «Суна хӀинца хаьа Веза Эла сайца дика хир вуйла, хӀунда аьлча сан динан да левихойх ву».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="18">
				<verse number="1">Цу заманахь исраилхойн паччахь вацара. Ткъа Данан тӀаьхьенах берш шайна даха ховша меттиг лоьхуш бара. Исраилан халкъах схьадевлла долу кхидолу тайпанаш, шайн-шайн латтанаш а долуш, охьахевшинера, ткъа Данан тӀаьхьенах берш шайна билгалдаьккхина латта доцуш бара.</verse>
				<verse number="2">Данан тӀаьхьенах болчара шайна юкъара пхи тоьлла волу къонах вахийтира лаьттах дерг талла. И пхи стаг ЦорӀера а, Эштаулара а вара. И нах хаьржинера, уьш Данан тайпанах болчеран массо а гаранашкара болу дела. Цаьрга аьллера: «Даха а гӀой, мохк талла». Эпрайман лаьмнашка а баьхкина, цара Микин цӀа чохь буьйса яьккхира.</verse>
				<verse number="3">Микин цӀенна уллохь шаьш долчу хенахь, цуьнан къамелах къона левихо кхузара воцийла хиира царна. ЦӀа чу а баьхкина, цара хеттарш дора: «Хьо кхуза хьан валийна? Хьо кхузахь хӀун деш ву?»</verse>
				<verse number="4">Жимачу стага цаьрга дӀадийцира Микас ша йолах тӀелаьцна хиларх а, иштта ша иза волчохь динан да хилар а.</verse>
				<verse number="5">Цара цуьнга элира: «Деле хаттар дехьа, оха схьалаьцна болу некъ беркате хир буй те алий».</verse>
				<verse number="6">Динан дас жоп делира царна: «Маьрша дӀагӀо, Везачу Эло, шун некъан тергам а беш, шу Ӏалашдийр ду».</verse>
				<verse number="7">И пхи стаг дӀавахара. Лаиш-гӀала кхечира уьш. Цигахь маьрша дехаш долу адам гира царна. Церан дахар, цӀаданхойн ма-хиллара, тийна а, маьрша а дара. Царна гӀело еш мостагӀий а бацара. Уьш ЦӀадан-гӀалина генахь бехаш бара, цхьаьнцца а лелош юкъаметтиг а йоцуш.</verse>
				<verse number="8">И вахийтина волу пхи стаг ЦорӀа а, Эштаула а юхавирзича, гергарчара цаьрга хаьттира: «ХӀун хии шуна?»</verse>
				<verse number="9">Цара жоп делира: «Тхуна чӀогӀа дика латта карийна. Хан ма ялийта! ТӀе а латий, и латта цаьргара схьадаккха!</verse>
				<verse number="10">Цига дӀакхаьчча, шуна гур ду, и мел доккха латта ду. Оьшуш мел дерг шортта хуьлу цу махкахь, цигара халкъ, цхьа а стаг шайна тӀелетар ву аьлла, дагадогӀуш а дац. Дала вайн кара схьалуш ду и латта».</verse>
				<verse number="11">ЦорӀара а, Эштаулара а Данан тайпанах волу ялх бӀе стаг новкъа велира. Уьш тӀамана кийча бара.</verse>
				<verse number="12">Лаиш-гӀала боьдучу новкъахь совца а севцина, ЯхӀуд-махкарчу Кхиръят-ЯӀаримехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара. Цундела Кхиръят-ЯӀаримана малхбузехьа йолчу цу меттигах хӀинца а Махьаней-Дан олу (иза «Данан меттамотт» бохург ду).</verse>
				<verse number="13">Цигара арабевлла уьш Эпрайман лаьмнашкахь долчу Микин цӀийне кхечира.</verse>
				<verse number="14">Лаишан латта талла вахана хиллачу пхеаммо шайн гергарчаьрга элира: «Цигахь долчу цхьана цӀенна чохь еза ийпад ю. Цигахь кхиболу цӀуш а, тӀе дети диллина волу цӀу а ву. Ойла е, хӀун дан деза».</verse>
				<verse number="15">Къона левихо чохь Ӏаш волчу Микин цӀа чу а бахана, цуьнга маршалла хаьттира цара.</verse>
				<verse number="16">Ткъа Данан тӀаьхьенах волу ялх бӀе стаг тӀамана кийчча кевнна уллохь лаьтташ вара.</verse>
				<verse number="17">Латта талла вахийтина волчу пхеа стага, цӀенна чу а вахана, дечиган цӀу а, ийпад а, кхиболу цӀуш а, детих вина волу цӀу а схьа а эцна, уьш чуьра арабехира. Ткъа динан да кевнехь цу ялх бӀе тӀемалочуьнца лаьтташ вара.</verse>
				<verse number="18">ЦӀа чу а бахана, цара ийпад а, цӀуш а, детих вина волу цӀу а схьаэцча, динан дас цаьрга хаьттира: «Шу хӀун деш ду?»</verse>
				<verse number="19">Цара цуьнга элира: «Вист ма хила. Хьайн куьг бета тӀе а диллий, тхуна тӀаьхьахӀотта. Тхо долчохь тхан хьехамча а, динан да а хир ву хьо. Цхьана стеган динан да хуьлучул, Исраилан халкъан цхьана гаранан я тайпанан динан да хилар гӀоле дац хьуна?»</verse>
				<verse number="20">И дешнаш къоначу левихочунна чӀогӀа дезаделира. Иза, ийпад а, цӀуш а, дато цӀу а схьа а эцна, Данан тӀаьхьенах болчу нахана тӀаьхьахӀоьттира.</verse>
				<verse number="21">Шайн новкъа юзабирзира уьш. Цара шайна хьалха дӀадохуьйтуш шайн бераш а, бежанаш а, бахам а бара.</verse>
				<verse number="22">Уьш новкъа бевллачул тӀаьхьа, Микин лулахой, вовшах а кхетта, данхошна тӀаьхьа а бевлла, царна тӀекхечира.</verse>
				<verse number="23">Цара Данан тӀаьхьенах болчаьрга мохь беттара. Вукхара, юха а бирзина, Микига хаьттира: «ХӀун хилла? Нах стенна схьакхайкхина ахьа?»</verse>
				<verse number="24">Микас цаьрга элира: «Аша ас сайна бина болу цӀуш соьгара дӀабаьхна. Аша иштта сан динан да а дӀавигна. Суна диснарг хӀун ду? Стенна хоьтту аша: „ХӀун хилла?“ — бохуш?»</verse>
				<verse number="25">Данан тӀаьхьенах болчара цуьнга элира: «Тхуна хьайн аз ма хазийталахь, оьгӀазбахана нах шайна тӀе ца латийта. ТӀаккха ахьа хьо а, хьайн доьзал а хӀаллакбойтур бара».</verse>
				<verse number="26">Данан цӀийнах болу нах шайн новкъахула дӀабахара. Ткъа уьш шел тоьлур буйла хууш волу Мика шен цӀа юхавирзира.</verse>
				<verse number="27">Данхоша иштта схьадаьккхира Микас шена мел динарг. Цуьнан динан да а шайца дӀавигира цара. Уьш, Лаиш-гӀала дӀа а бахана, цигахь маьрша бехаш Ӏаш болчу нахана тӀелетира. Адам шайн таррашца цистира цара, ткъа гӀала цӀарца ягийра.</verse>
				<verse number="28">Царна орцахвала стаг вацара, хӀунда аьлча ЦӀадан-гӀала царна генахь яра, кхиболчаьрца цара юкъаметтиг а ца лелайора. Лаиш-гӀала Байт-Рахьубана уллохь йолчу тогӀи чохь лаьтташ яра. Йохийна гӀала лаьттинчу меттехь данхоша керла гӀала а йиллина, уьш цигахь баха хевшира.</verse>
				<verse number="29">Цара цунна, Дан-гӀала аьлла, керла цӀе а тиллира. И цӀе шайн дайх хилла волчу Исраилан кӀентан Данан цӀе бахьана долуш тиллина хилла цара. Ткъа цу гӀалин хьалхалера цӀе Лаиш хилла.</verse>
				<verse number="30">Данхоша шайн гӀалахь дато цӀу дӀахӀиттийна хилла. Шайн динан да вина дӀахӀоттийна хилла цара Мусан кӀентан ГӀиршаман кӀант ЯхӀуната. ЯхӀуната а, цуьнан кӀентий а Исраилан махкахь динан дай хилла лаьттина, цигара дерриг а Исраилан къам, йийсаре а лаьцна, дӀадиггалц.</verse>
				<verse number="31">Данан тайпа Микас бинчу цӀунна корта бетташ лелла, Делан цӀа Шилунехь мел лаьтта.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="19">
				<verse number="1">Исраилхойн паччахь воцучу хенахь Эпрайман лаьмнашкахь цхьана юьстахчу меттехь вехаш Ӏаш хилла левихойн тайпанах волу цхьа стаг. Цуьнан, ша ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалара а йолуш, цхьа гӀарбаш-зуда хилла.</verse>
				<verse number="2">Цуьнца дов а даьлла, иза ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалахь Ӏаш волчу шен ден цӀа яхана хилла. Цигахь цо биъ бутт баьккхина хилла.</verse>
				<verse number="3">Цуьнан майра, хьала а гӀаьттина, цунна тӀаьхьавахана. Иза цига вахаран Ӏалашо, цуьнца доггах къамел а дина, иза ша волчу юхаерзор хилла. Ша цига воьдуш, цо шеца шен ялхо а, ши вир а йигна хилла. Цуьнан гӀарбаш-зудчо иза шен да волчу чувигна. Къоначу зудчун дас, иза шена гича, чӀогӀа хазахетта, цунна дуьхьал а веана, даггара цуьнга маршалла хаьттира.</verse>
				<verse number="4">Цуьнан стундена чӀогӀа лаьара иза цигахь сацо. Кхаа дийнахь дууш-молуш, буьйсанаш а йохуш, цигахь Ӏийна иза.</verse>
				<verse number="5">ДоьалгӀачу дийнахь Ӏуьйранна, хьалххехь хьала а гӀаьттина, шен цӀа ваха тохавелла левихо. Амма зудчун дас цуьнга элира: «Цкъа хӀума кхаьллича, гӀолехь ду хьуна. Цул тӀаьхьа дӀагӀур ду шу».</verse>
				<verse number="6">Левихо тӀаьхьа а сецна, и шиъ дууш, молуш Ӏийра. Къоначу зудчун дас цу стаге элира: «Хьайн самукъа а доккхуш, кхин а цхьа буьйса яккха».</verse>
				<verse number="7">ДӀаваха кечвелла волу левихо стундас, дехар а дина, сацийра. Иза кхин а цхьа буьйса йоккхуш Ӏийра.</verse>
				<verse number="8">ПхоьалгӀачу дийнахь иза, Ӏуьйранна хьала а гӀаьттина, дӀаваха кечвелира. Къоначу зудчун дас юха а элира: «Яа хӀума а яий, меттавола. Де делкъе даьлча, дӀагӀур ву хьо». И шиъ юха а дууш, молуш Ӏийра.</verse>
				<verse number="9">Левихо а, цуьнан гӀарбаш-зуда а, ялхо а дӀадаха дагахь хьалагӀаьттира. Амма стундас юха а элира: «Вайна суьйре тӀейогӀуш ю. Тховса кхузахь буьйса яккха, хьайна са а къера. Ткъа кхана, хьалххехь хьала а гӀевттина, шайн цӀа гӀур ду шу».</verse>
				<verse number="10">Амма левихо кхин цхьа буьйса яккха реза ца хилира. Иза, хьала а гӀаьттина, новкъа велира. Цуьнца цхьаьна тӀейоьттина хӀума а йолуш ши вир а, цуьнан гӀарбаш-зуда а яра. Уьш Явсай-гӀала схьакхечира (хӀинца цу гӀалин цӀе Ярушалайм ю).</verse>
				<verse number="11">Уьш цу гӀала схьакхаьчча, де суьйренга даьллера. Ялхочо левихочуьнга элира: «Явсайхойн гӀали чу а дахана, цигахь буьйса яккхийта вайга».</verse>
				<verse number="12">Амма левихочо жоп делира: «Исраилхойх боцу нах бехаш йолчу гӀали чу а ца доьлхуш, ГебаӀ-гӀала дӀагӀур ду вай».</verse>
				<verse number="13">Цо шен ялхочуьнга элира: «Я ГебаӀ-гӀала, я Раме дӀакхача хьовсур ду вай. Цигахь цхьанхьа буьйса йоккхур ю вай».</verse>
				<verse number="14">Уьш новкъа бевлира. Бен-Яманан ГебаӀ-гӀала уьш схьакхаьчча, малх чубузуш бара.</verse>
				<verse number="15">Кхузахь буьйса яккха сацам бира цара. ГӀалин майдана а баьхкина, охьахевшира уьш, амма цаьрга цхьаммо а шайгахь буьйса яккхийта дӀа ца кхойкхура.</verse>
				<verse number="16">Шен кха тӀера цӀа вогӀуш цхьа воккха стаг вара. Иза ша Эпрайман лаьмнашкахь вина хилла, амма хӀинца ГебаӀ-гӀалахь вехаш хилла. Ткъа кхузахь бехаш болу нах Бен-Яманан тайпанах схьабевлла хилла.</verse>
				<verse number="17">Шена гӀалин майданахь левихо гича, цо хаьттира: «Стенгара вогӀуш ву хьо? Стенга ваха ваьлла хьо?»</verse>
				<verse number="18">Левихочо цуьнга элира: «ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалара схьадогӀуш ду тхо, Эпрайман лаьмнашкахь тхаьш дехаш долчу юьстахчу метте дӀадоьлхуш а ду. Тхо хӀинца цӀа догӀуш ду. Амма цхьаммо а буьйса яккха чу ца кхайкхина тхоьга.</verse>
				<verse number="19">Тхоьгахь ча а ду, варрашна яа хӀума а ю, иштта бепиг а, чагӀар а ду суна а, соьца йолчу зудчунна а, сан ялхочунна а даа. Тхуна хӀумма а ца оьшу».</verse>
				<verse number="20">Воккхачу стага элира: «Са ма гатде. Шуна оьшург аса хуьлуьйтур ду, амма майданахь буьйса ма яккха».</verse>
				<verse number="21">Левихо а, цуьнца берш а шен цӀа чу а бигна, церан варрашна яа хӀума елира цо. Шайн когаш а билина, уьш хӀума яа охьахевшира.</verse>
				<verse number="22">Левихо а, цуьнца берш а шайна яа хӀума а юуш, садоӀуш болчу хенахь, цу гӀалара болчу телхинчу наха воккхачу стеган цӀенна го а бина, неӀ а етташ, мохь а бетташ, бохура: «Хьо волчу веана волу стаг араваккха, тхуна цунах зуда ян лаьа».</verse>
				<verse number="23">ХӀусамдас, ара а ваьлла, цаьрга элира: «Сан вежарий, ма дахьара аша и зулам! И стаг сан хьаша ву. Ма дахьара аша цу тайпана долу сонта хӀума.</verse>
				<verse number="24">Хьажал, сан йоӀ а ю шуна, цу стеган гӀарбаш-зуда а ю шуна. Аса и шиъ арайоккхур ю шуна, цаьрца шайна луъург де. Амма цу стагаца ма леладахьара аша и сонта хӀума».</verse>
				<verse number="25">Амма царна воккхачу стаге ладогӀа ца лаьара. ТӀаккха левихочо шен гӀарбаш-зуда уьш болчу араяьккхира. Цара иза сахиллалц хьийзийра, ткъа сахуьлучу хенахь дӀахийцира.</verse>
				<verse number="26">Иза, садаьржачу хенахь схьа а еана, шен майра чохь волчу цӀийнан неӀсагӀина хьалха охьаюьйжира. Ӏуьйре тӀекхаччалц Ӏиллира иза цигахь.</verse>
				<verse number="27">Ӏуьйранна левихочо, хьала а гӀаьттина, цӀийнан неӀарш дӀайиллира. ЦӀа ваха дагахь аравелира иза. Эццахь цунна шен гӀарбаш-зуда гира. Иза неӀарехь Ӏуьллуш яра, ткъа цуьнан куьйгаш неӀсагӀина тӀехь дара.</verse>
				<verse number="28">Левихочо цуьнга элира: «ХьалагӀатта, дӀагӀо вай!» Амма зудчо цунна жоп ца делира. Иза еллера. Левихо, шен гӀарбаш-зуда вирана тӀе а йиллина, цӀа вахара.</verse>
				<verse number="29">ЦӀа веанчул тӀаьхьа, урс схьа а эцна, цо иза, шийтта дакъа доккхуш, йийкъира. И дакъош цо Исраилан массо а маьӀӀе дӀасадахьийтира.</verse>
				<verse number="30">И хӀума гиначара бохура: «И санна дерг тхуна гина дац, Мисар-махкара арадевллачу хенахь дуьйна хӀара хан тӀекхаччалц. Цу хӀуманна тӀе тидам а бахийтий, шайна юкъахь дага а довлий, хӀун дан деза ала».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="20">
				<verse number="1">Исраилхой схьагулбелира Везачу Элана хьалха МицӀпа-гӀалахь. Дан-гӀалара дуьйна Беар-ШабаӀе кхаччалц болчу берриг а Исраилан махкара схьагулделлера адам. ГалӀадара Исраилан халкъ а деанера кхуза.</verse>
				<verse number="2">Массо а Исраилан халкъах долчу тайпанан куьйгалхой а баьхкинера Далла хьалха вовшахкхетачу метте. Виъ бӀе эзар карахь тур лелош волу тӀемало схьагулвеллера кхузахь.</verse>
				<verse number="3">Бен-яманхошна дӀахиира исраилхой МицӀпахь схьагулбеллийла. Исраилхоша хаьттира: «Схьадийца, муха хилира и вон хӀума?»</verse>
				<verse number="4">Йийна йолчу зудчун майрачо цаьрга дийцира: «Со сайн гӀарбаш-зудчуьнца Бен-Яманан ГебаӀ-гӀала веара, цигахь буьйса яккха дагахь.</verse>
				<verse number="5">Амма буьйсанна ГебаӀ-гӀалин бахархоша тхо буьйса яккха сецна долчу цӀенна го бира, со вен дагахь. Цара сан гӀарбаш-зуда хьийзийра. И хӀума бахьана долуш иза елира.</verse>
				<verse number="6">Аса, иза екъа а екъна, дакъош Исраилан халкъ дехаш долчу массо а маьӀӀе дӀасадахьийтира, Бен-Яманан тӀаьхьено и инзаре а, сийсаза а гӀуллакх Исраилан махкахь дина дела.</verse>
				<verse number="7">ХӀинца аша, исраилхой, шайна юкъахь барт а бай, ала, оха хӀун дан деза?»</verse>
				<verse number="8">Дерриг а халкъо, цхьаъ санна хьала а гӀаьттина, элира: «Вайх цхьа а шен четар долчу гӀур вац. Вайх волу цхьа а стаг шен цӀа юхавоьрзур вац.</verse>
				<verse number="9">Вай хӀинца хӀара дийр ду ГебаӀ-гӀалина: кхаж а тесна, цуьнца тӀом бан гӀур ду.</verse>
				<verse number="10">Исраилан тайпанех волчу итт стагана юкъара цхьаъ схьа а хаьржина, тӀелата боьлхучарна сурсат дан деза. Вукхара, Бен-Яманан ГебаӀ-гӀала а кхаьчна, исраилхошна юкъахь бехаш болчу цигарчу нахана таӀзар дан деза, и боьха хӀума цара шайгара далийтарна».</verse>
				<verse number="11">Массо а исраилхо, цхьаъ санна, цхьаьнакхийтира цу гӀалина дуьхьалвала.</verse>
				<verse number="12">Цара Исраилан халкъера Бен-Яманан тайпане хабар эцна стаг вахийтира. И хабар иштта дара: «Ма боьха хӀума ду шух болчу наха динарг!</verse>
				<verse number="13">Схьало тхан кара ГебаӀ-гӀалара болу и боьха нах. Оха, уьш байа а байина, Исраилан махкара вон дӀадоккхур ду». Амма Бен-Яманан тӀаьхьенах болчарна ца лиира Исраилан халкъах болчу шайн вежаршка ладогӀа.</verse>
				<verse number="14">Шайн гӀаланаш а йитина, Бен-Яманан тӀаьхьенах болу нах ГебаӀ-гӀала схьагулбелира, исраилхошца тӀом бан дагахь.</verse>
				<verse number="15">Цу дийнахь ткъе ялх эзар Бен-Яманан тӀаьхьенах тур лелош волу тӀемало, вовшах а тоьхна, тӀамана кечвира. Кхин а ГебаӀ-гӀалара ворхӀ бӀе тур лелош волу тӀемало а вара цаьрца.</verse>
				<verse number="16">Дерриг а эскарна юкъара ворхӀ бӀе стаг къаьсттина дика тӀемало вара. Уьш массо а гезолгаш бара. Цара ширдолагца тӀулг кхуссучу хенахь, тай тоьхча санна, нийса кхуссура.</verse>
				<verse number="17">Бен-яманхой боцурш, исраилхойн виъ бӀе эзар тур лелош волу тӀемало схьагулвеллера. Уьш массо а тӀамана кийча а бара.</verse>
				<verse number="18">Исраилан тайпанех болчара, Бетала а бахана, Деле хаьттира: «Тхох хьалха мила вала веза бен-яманхошца тӀом бан доьлхучу хенахь?» Везачу Эло жоп делира: «ЯхӀудан тайпанах берш хила беза хьалхабевлла».</verse>
				<verse number="19">Цу Ӏуьйранна исраилхоша шайн меттамотт дӀахӀоттийра ГебаӀ-гӀалина генахь доццуш.</verse>
				<verse number="20">Исраилхой бен-яманхошца тӀамана кечбелира. Уьш ГебаӀ-гӀалина уллохь тӀамана нисбелла дӀахӀиттира.</verse>
				<verse number="21">ГебаӀ-гӀалара ара а бевлла, бен-яманхоша цу дийнахь ткъе шиъ эзар исраилхо, вийна, лаьтта охьавиллира.</verse>
				<verse number="22">Амма Исраилан эскар, къар ца луш, юха а ша хьалхарчу дийнахь лаьттинчу метте тӀамана кечделла дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="23">ХӀунда аьлча хьалхарчу дийнахь исраилхой боьлхуш хилла Везачу Элана хьалха. Цара Цуьнга хоьттура: «Тхо кхин а цкъа лата дезий тхан вежарий болчу бен-яманхошца?» Везачу Эло жоп деллера: «Даха а гӀой, тӀом бе цаьрца».</verse>
				<verse number="24">Исраилхойн эскар шолгӀачу дийнахь юха а тӀегӀоьртира бен-яманхойн эскарна.</verse>
				<verse number="25">Бен-яманхойн эскаро, юха а ГебаӀ-гӀалара ара а даьлла, исраилхойн берхӀитта эзар тур лелош волу тӀемало, вийна, охьавиллира.</verse>
				<verse number="26">ТӀаккха Исраилан эскарара дерриг а халкъ, Бетала а деана, дилхира. Цу дийнахь суьйре тӀекхаччалц яа хӀума ца йиира цара. Дийнаташ дагоран сагӀанаш а, бертан сагӀанаш а дохура цара Везачу Элана хьалха.</verse>
				<verse number="27">27-28 Цу хенахь Делан деза тӀорказ цигахь хилла. АхӀаронан кӀант волчу ЭлиӀазаран кӀанта Пайнехьас Везачу Элана хьалха гӀуллакх дора цигахь. Исраилан эскаро Везачу Эле хаьттира: «Бен-яманхой тхан гергара нах бу. Кхин цкъа а царна тӀамца дуьхьал довла дезий тхо?» Везачу Эло жоп делира: «Деза. Аса кхана уьш шун кара дӀалур бу».</verse>
				<verse number="28">***</verse>
				<verse number="29">Исраилхой ГебаӀ-гӀалина гонах кӀело йина дӀахӀиттира.</verse>
				<verse number="30">Церан эскар кхозлагӀчу дийнахь, хьалха санна, ГебаӀ-гӀалахь бен-яманхошца тӀом бан кийчча дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="31">Бен-яманхойн эскар, гӀалара ара а даьлла, исраилхошна дуьхьал делира. Исраилхой юхабевлча, бен-яманхой царна тӀаьхьабевлира. Исраилхоша иштта бен-яманхойн эскар гӀалина гена даьккхира. Уьш, хьалха санна, исраилхой хӀаллакбан буьйлабелира. Цара иштта ткъе итт стаг вийра. Цхьаберш аренгахь байира, вуьйш Бетал-гӀала а, ГебаӀ-гӀала а боьдучу новкъахь байира.</verse>
				<verse number="32">Бен-яманхоша элира: «Уьш вайна хьалха, хьалха санна, охьаэгаш бу». Ткъа исраилхоша элира: «ДӀа а девдда, вай уьш гӀалина гена баха беза, некъаш долчу агӀор дӀа а берзош».</verse>
				<verse number="33">Исраилхойн эскаран коьрта дакъа, дӀа а дедда, БаӀал-Тамарехь дӀахӀоьттира. Ткъа кӀело а йина Ӏаш болу исраилхой ГибаӀ-гӀалина малхбузехьа йолчу агӀонгахьара чугӀоьртира.</verse>
				<verse number="34">Итт эзар тоьлла волу тӀемало вара ГебаӀ-гӀалина тӀелеттачу тобанна юкъахь. ТӀом чӀогӀа луьра бара. Бен-яманхошна ца хаьара, шайна тӀедогӀуш дерг доккха вон дуйла.</verse>
				<verse number="35">Везачу Эло эшадайтира исраилхошка бен-яманхойн эскар. Цу дийнахь исраилхоша бен-яманхойн эскарх вийнарг ткъе пхиъ эзар бӀе стаг вара. Уьш массо а тур лелош болу эскархой бара.</verse>
				<verse number="36">Бен-яманхошна хиира, шаьш эшийнийла. Исраилхойн эскар юхадаьллера, хӀунда аьлча уьш ГебаӀ-гӀалина уллохь мостагӀчунна кӀело йина болу шайн эскархой тӀелатаре сатуьйсуш хилла.</verse>
				<verse number="37">КӀело йина Ӏаш болчара, цӀеххьана ГебаӀа чу а бахана, цу гӀалара мел волу вахархо шайн таррашца вийнера.</verse>
				<verse number="38">КӀело йина Ӏаш болчаьрца исраилхойн коьртачу декъо бина барт хилла: цара гӀалара хьалабоьдучу кӀуьраца хаам бан безара.</verse>
				<verse number="39">Исраилхой тӀом болчу меттера юхабевлча, бен-яманхоша ткъе итт стаг вийра. Цара бохура: «Юха а, хьалха санна, тхуна хьалхахь охьаоьгуш бу уьш».</verse>
				<verse number="40">Эццахь гӀалара кӀур ирхъэха болабелира. Бен-яманхой юхахьаьжча, царна гира цӀе яьлла йогуш йолу ерриг а гӀала.</verse>
				<verse number="41">Исраилхой, юхабуьйлучуьра совца а севцина, шайн мостагӀех лата буьйлабелира. Ткъа бен-яманхой, шайна тӀехӀоьттинарг гича, кхерабелира.</verse>
				<verse number="42">Уьш исраилхойн эскарх бевдда аренгахула дӀабоьлхуш бара, амма церан кӀелхьарбовла меттиг яцара. Исраилхоша уьш, шайн гӀаланашкара ара а бохуш, бойура.</verse>
				<verse number="43">Бен-яманхошна го а бина, исраилхоша уьш Нухьера дуьйна ГебаӀ-гӀалин малхбалехьа йолчу агӀонга кхаччалц лаьхкина дӀабигира.</verse>
				<verse number="44">Бен-яманхойн эскарх волу берхӀитта эзар тоьлла волу тӀемало вийра цу дийнахь исраилхоша.</verse>
				<verse number="45">ТӀаьхьабиснарш, бевдда, яьссачу аренга, Римун цӀе йолчу тархана улло, дӀабахара. Цу новкъахула уьш бевдда дӀабоьлхучу хенахь исраилхоша кхин а пхи эзар стаг вийра. Царна тӀаьхьабевллачуьра ца совцуш, уьш ГадӀама кхаччалц дӀабахара. Цига дӀакхачале, кхин а ши эзар стаг вийра цара.</verse>
				<verse number="46">Цу дийнахь верриг а вийнарг ткъе пхиъ эзар тур лелош волу тоьлла бен-яманхо вара.</verse>
				<verse number="47">Ялх бӀе бен-яманхо, ведда, Римун олучу тархана уллохь йолчу яьссачу аренга дӀа а вахана, цигахь беа баттахь Ӏийра.</verse>
				<verse number="48">Ткъа исраилхой бен-яманхойн лаьтте юхабирзира. Цигара нах а, церан бежанаш а дойуш, шайн караеана йолу хӀума а йохош, церан массо а гӀаланаш ягош хӀаллакйира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="21">
				<verse number="1">Исраилхоша МицӀпахь чӀагӀо йина хилла шайн зудабераш бен-яманхошка маре ца дахийта.</verse>
				<verse number="2">Дерриг а халкъ, Бетал-гӀала а деана, Далла хьалхахь сарралц чӀогӀа доьлхуш Ӏаш дара.</verse>
				<verse number="3">Цара Деле элира: «Исраилан халкъан Веза Дела! ХӀунда хилла иза исраилхошна? ХӀунда довш ду исраилхойн цхьа тайпа?»</verse>
				<verse number="4">ШолгӀачу дийнахь адам, Ӏуьйранна хьалххехь хьала а гӀаьттина, сагӀа доккху меттиг кечъян дӀахӀоьттира. Цара Везачу Элана дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш дохура.</verse>
				<verse number="5">Цул тӀаьхьа Исраилан халкъо хаьттира: «Исраилхойн тайпанах болчарах мила ву хӀокху гуламе Везачу Элана хьалха ваза виснарг?» Цара иза хоьттура, хӀунда аьлча доккха неӀалт дара царна аьлла. Везачу Элана хьалха МицӀпе ваза виснарг вуьйр ву аьлла, йина чӀагӀо а яра.</verse>
				<verse number="6">Исраилан халкъо къинхетам бира шайн вежарий болчу бен-яманхойх. Цара элира: «Тахана исраилхойн цхьа тайпа дайна лара мегар ду.</verse>
				<verse number="7">Оха Везачу Элана хьалха йина чӀагӀо ю, исраилхойн зудабераш бен-яманхошка маре дохуьйтур дац аьлла. Бисинчарна зударий мичара балор бу вай?»</verse>
				<verse number="8">Цундела исраилхоша хаьттинера: «Исраилан тайпанех волу цхьа а стаг вуй Везачу Элана хьалха МицӀпахь гуламе ваза висина?» Цигахь царна хиира, ГалӀадарчу Явешера цхьа а стаг Везачу Элана хьалха гуламе веана цахилар.</verse>
				<verse number="9">ХӀора стаге хьожуш, чекхбевлира уьш. Царна ГалӀадарчу Явешера цхьа а стаг цу гуламе веана цахилар гучуделира.</verse>
				<verse number="10">Исраилан гуламо цига шийтта эзар тоьлла стаг вахийтира, царна тӀе а дуьллуш: «ГалӀадарчу Явеше а гӀой, тарраш детташ, цигахь волу массо а стаг, вей, охьавилла, я зударий а, я бераш а ца къестош.</verse>
				<verse number="11">Кхин цхьа хӀума а тӀедуьллу оха шуна: хӀора майрачуьнца Ӏийна йолу зуда а, зудчуьнца Ӏийна волу боьрша стаг а вийна дӀаваккха. Амма йоӀстагалла дохоза долу зудабераш дийна дита».</verse>
				<verse number="12">ГалӀадарчу Явешехь царна йиъ бӀе йоӀстаг карийра. Уьш цара канаӀанхойн лаьттахь йолчу Шилунан меттаматте схьабалийра.</verse>
				<verse number="13">Цул тӀаьхьа исраилхоша шайн геланчаш бахийтира Римун цӀе йолу тарх йолчу гулбеллачу бен-яманхошна тӀе машар дӀакхайкхо.</verse>
				<verse number="14">ТӀаккха бен-яманхой шайн махка юхабирзира. ГалӀадарчу Явешера дийна дитина долу зудабераш цаьрга маре дӀаделира. Амма царна массарна а зударий ца тоьира.</verse>
				<verse number="15">Исраилан халкъ къинхетам беш хилла бен-яманхойх, хӀунда аьлча уьш Везачу Эло дӀакъастийна хилла исраилхойн кхечу тайпанех.</verse>
				<verse number="16">Исраилхойн къаноша элира: «Бен-яманхойн зударий байина. Вай хӀун дан деза зуда ца кхочуш бисина болчу божаршна?</verse>
				<verse number="17">Бисина болчу божарийн бераш хила деза, исраилхойн цхьа тайпа дуьнен чуьра дӀа ца далийта.</verse>
				<verse number="18">Амма вай вешан зудабераш цаьрга маре дахийта йиш йолуш дац. Уьш цаьрга ца бахийта вай йина чӀагӀо ю».</verse>
				<verse number="19">ТӀаккха цара элира: «ХӀора шарахь Шилун-гӀалахь хуьлуш Везачу Элана лерина деза де ду». (Шилун-гӀала Бетал-гӀалина къилбаседехьа а, Бетал-гӀалара Шехеме боьдучу некъана малхбалехьа а, иштта Либуна-гӀалина къилбехьа а лаьтташ ю.)</verse>
				<verse number="20">Къаноша бен-яманхошка элира: «Даха а гӀой, кемсийн бошмашкахь дӀаловчкъа.</verse>
				<verse number="21">ТӀаккха тидам бе! Зудабераш халхарш дан арадевлча, кемсийн бошмашкара ара а довлий, хӀораммо а шайна, катохий, шилунхойн йоӀ схьа а эций, бен-яманхойн лаьтта юхадерза.</verse>
				<verse number="22">Церан дай а, вежарий а тхо долчу арз дахьаш багӀахь, оха цаьрга эр ду: „Тхан дуьхьа къинтӀера довла бен-яманхошна, хӀунда аьлча тӀамехь вай схьа ца лецира царна хӀоранна зуда. Шайн чӀагӀо йоха а ца еш, зудабераш дӀа ца даларна шу бехке дац“».</verse>
				<verse number="23">Бен-яманхоша, шайга ма-аллара, халхадуьйлуш хиллачу зудаберашна юкъара цхьацца йоӀ дӀайигира. Уьш, шайн лаьтта тӀе дӀа а бигна, шайна маре балийра цара. ГӀаланаш юха метта а хӀиттийна, уьш баха хевшира.</verse>
				<verse number="24">Исраилан халкъ цигара хӀора шайн тайпанашка а, шайн гаранашка а, шайн доьзалан лаьтта тӀе а дӀасадекъаделира.</verse>
				<verse number="25">Цу хенахь исраилхойн паччахь вацара, цундела хӀораммо а шена бакъахьа хеттарг дора.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="8">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">Мехкан куьйгалхоша Исраил-махкахь урхалла дечу заманчохь лаьтта тӀехь мацалла хӀоьттинера. ТӀаккха цхьа стаг ЯхӀуд-махкара Байтлахам-гӀалара шен зудчуьнца а, шина кӀантаца а Муаби-аренашка хан яккха вахара.</verse>
				<verse number="2">Оцу стеган цӀе Элималик яра, цуьнан зудчун цӀе НуӀмат яра, ткъа шина кӀентан цӀераш Махьлан а, Халин а яра. Уьш ЯхӀуд-махкара Байтлахам-гӀалара эпратхой бара. Муаби-аренашка а баьхкина, цигахь баха хевшира уьш.</verse>
				<verse number="3">НуӀматан цӀийнда Элималик дӀакхелхира, ткъа иза шен шина кӀантаца йисира.</verse>
				<verse number="4">Цу шина кӀанта шаьшшинна Муаби-махкара зударий балийра: цхьаьннан цӀе Ӏарипат яра, ткъа вукхуьнан цӀе Рути яра. Цигахь иттех шарахь бехаш Ӏийра уьш.</verse>
				<verse number="5">Цул тӀаьхьа цуьнан ший а кӀант, Махьлан а, Халин а, дӀакхелхира. ТӀаккха шен шина кӀантах а, цӀийндех а яьлла, и зуда ша йисира.</verse>
				<verse number="6">Муаби-махкахь йолуш НуӀматана хезира, Далла, Шен халкъана дика дан а лиъна, цунна рицкъа делла аьлла. Шена и хезча, НуӀмат Муаби-махкара шен цӀа юхаерза кечъелира.</verse>
				<verse number="7">Шен шина несаца ша яьхначу меттера араелира иза. ЯхӀуд-махка шаьш юхадоьрзучу хенахь</verse>
				<verse number="8">шен шина несе НуӀмата элира: «Яло, юхаерза ший а шайн ненан цӀа. Везачу Эло диканиг дойла шуна, аша а шайн беллачарна а, суна а дина дика санна!</verse>
				<verse number="9">Везачу Эло хӀоранна а хӀусам нисйойла шуна шайн цӀийндайшца ирсе даха!» Царна шинна а барт баьккхира НуӀмата. Ткъа уьш шийлачу маьхьарца белха хӀиттира.</verse>
				<verse number="10">ТӀаккха цара элира: «ХӀан-хӀа, тхо хьоьца хьан махка а доьрзур ду, хьан халкъана тӀе а гӀур ду».</verse>
				<verse number="11">Амма НуӀмата цаьрга элира: «Юхаерза, сан ши йоӀ! ХӀун дийр ду аш шиммо соьца еана? Хир буй-те шуна кхин а сан кийрара бевлла кӀентий, шуна майранаш хила?</verse>
				<verse number="12">Юхаерза, дӀагӀо, сан ши йоӀ! Со къанъелла хӀинца маре яха. Нагахь санна хилча а сан тешам, ас тховссехь майрачуьнца а Ӏийна, кӀентий бича а,</verse>
				<verse number="13">хир юй-те шун йиш уьш кхиаре хьежа? Йиш юй-те шун, маре а ца йоьдуш, хан ялийта? Яц, сан йоӀарий! Со чӀогӀа гӀайгӀанехь ю шуна. Везачу Эло шен кхел йина суна».</verse>
				<verse number="14">Ши нус маьхьарца юха а елха хӀоьттира. ТӀаккха Ӏарипат, шен марнанна барт а баьккхина, цунах дӀакъаьстира, ткъа Рути шен марненаца йисира.</verse>
				<verse number="15">НуӀмата Рутига элира: «Хьажал, хьан кхин юхайирзи шен нахана тӀе а, шен деланашна тӀе а. Хьайн кхинна тӀаьххье дӀагӀо хьо а».</verse>
				<verse number="16">Амма Рутис жоп делира: «Ма гӀертахьа со нуьцкъах хьайх къасто. Хьо йоьдучу со а гӀур ю. Хьо ехар йоллучохь со а ехар ю. Хьан халкъ а сан халкъ хир ду. Хьан Дела а сан Дела хир ву.</verse>
				<verse number="17">Хьо лийр йоллучохь со а лийр ю, циггахь дӀа а юллур ю. Везачу Эло Шен лааме хьаьжжина луьра таӀзар дойла суна, Ӏожалло бен со хьох къастор яц».</verse>
				<verse number="18">Цо йина чӀагӀо шена гича, НуӀмат и бертаяло гӀертачуьра сецира.</verse>
				<verse number="19">И шиъ Байтлахаме дӀакхаччалц дӀаихира. ХӀорш Байтлахаме баьхкича, массо а адам тӀедеара царна. «НуӀмат яц хӀара?» — бохура зударша.</verse>
				<verse number="20">НуӀмата цаьрга элира: «Ма алийша сох НуӀмат („мерзаниг“), алийша сох Марет („къаьхьаниг“). Нуьцкъалчо белла суна хӀара беза бала.</verse>
				<verse number="21">Кхузара араялале рицкъа а долуш яра со, ткъа Везачу Эло со яьсса юхаялийна. „Мерзаниг“ хӀунда олу сох, Везачу Эло соьга бала хьегийтина хилча, Нуьцкъалчу Дала суна вон болх бича?»</verse>
				<verse number="22">Иштта НуӀмат а, цуьнца Муаби-аренашкара еана, муабахо йолу цуьнан нус Рути а мукх хьакха болочу хенахь Байтлахаме кхечира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">НуӀматан цӀийнден Элималикан тайпанара а волуш, БоӀаз цӀе йолуш цхьа гергара стаг вара цигахь вехаш. Иза хьал долуш а, нахана вевзаш а вара.</verse>
				<verse number="2">Муабахочо Рутис элира НуӀмате: «Со кха тӀе гӀур ю, дисина мекхан кенаш лехьо. Со декъала йийр йоллучун декъа тӀехь лехьор ду ас кенаш». НуӀмата жоп делира: «Дика ду, сан йоӀ».</verse>
				<verse number="3">Кха тӀе а яхана, маьрсхошна тӀаьхьара мекхан кенаш лехьийра Рутис. Ткъа и дакъа Элималикан тайпанара волчу БоӀазан долахь долуш нисделлера.</verse>
				<verse number="4">Оцу хенахь БоӀаз Байтлахамера кха тӀе веара. Иза маьрсахошка вистхилира: «Везачу Эло гӀо дойла шуна!» — аьлла. «Везачу Эло декъала войла хьо а!» — аьлла, дуьхьал бистхилира вуьш.</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха БоӀаза маьрсхошна тӀехӀоттийна волчу шен ялхочуьнга хаьттира: «И жима зуда хьенан ю?» — аьлла.</verse>
				<verse number="6">Маьрсхошна тӀехӀоттийна волчу ялхочо, жоп луш, элира: «ХӀара жима зуда муабахо ю, НуӀматца Муаби-махкара еана йолу.</verse>
				<verse number="7">ХӀокхо дехнера тхоьга, цӀевнашна юккъехула маьрсхоша дитина мекхан кенаш лехьадайтахьара шега аьлла. Са тесначхьана еана, хӀинццалц кхузахь ю хӀара. Кху тхов кӀел хӀинцца бен ца еана хӀара».</verse>
				<verse number="8">БоӀаза элира Рутига: «ЛадогӀал, сан йоӀ! Кхечу нехан декъа тӀе кенаш лехьо а ма гӀо, кхузара дӀа а ма яла, сан ялхой-зударшца хӀокху меттехь а хила.</verse>
				<verse number="9">Марс хьокху хӀара сан кха бен ма гойла хьан бӀаьргашна, гӀо хьо цаьрца маьрсхошна тӀаьххье. Ас сайн кегийчу нахана тӀедиллина, хьо хье ма е аьлла. Хьо хьагъелча, сан ялхоша моллучуьра хи а мала».</verse>
				<verse number="10">Цец а яьлла, гора а яхана, лаьтта кхаччалц охьа а таьӀна, Рутис хаьттира: «Стенца доьзна ду-те, со кхечу хийрачу махкара йоллушехь, хьо суна иштта реза хилар?»</verse>
				<verse number="11">«Хьайн марнанна ахь мел динарг суна дийцина. Хьайн цӀийнда веллачул тӀаьхьа, хьайн да-нана а дитина, хьайн мохк а битина, хьайна девзаш доцучу къомана тӀееана хьо.</verse>
				<verse number="12">Везачу Эло декъала йойла хьо, ахь бинчу оцу дикачу балхана! Буьззина мах хадабойла Исраилан халкъан Везачу Дала, Цуьнан тӀома кӀел хьо ларъяйта еанчу хьан!» — жоп луш, элира БоӀаза.</verse>
				<verse number="13">«Сан эла, хьо суна реза хилар ма хедийла, — элира Рутис, — хьайн цхьана а ялхочун мехах йоцучу соьга, хьайн лай йолчу сан даге а хьаьжна, боху-кх ахь иза, сан дог тедархьама».</verse>
				<verse number="14">Делкъе йо хан тӀееача, БоӀаза элира: «Схьа а йолий, хьайна хӀума яа, муьста чагӀар чу бепиг а Ӏуттуш». Рути маьрсхошна юххе охьахиира. ТӀаккха БоӀаза цуьнга кхерзина буьртигаш кховдийра. Ткъа Рутис уьш даа а диира, и юза а юьзира, цуьнгахь кхин а буьртигаш а дисира.</verse>
				<verse number="15">ХӀара кенаш лехьо йоьлча, БоӀаза юха а шен ялхошна тӀедиллира Рутина цӀевнаш юккъехула кенаш лехьо магор а, цунна цхьаммо а вас ца яр а.</verse>
				<verse number="16">«ЦӀевнаш тӀера а дахийта цуьнга кенаш, чеха а ма е иза» — аьлла, буьйр дира цо.</verse>
				<verse number="17">Иштта сарралц кха тӀехь къахьийгира Рутис. Цо гулдинарг эрича, кхо сахь гергга мукх белира.</verse>
				<verse number="18">Иза схьа а эцна, гӀала цӀа яхара Рути. ТӀаккха цо деана ялта гира марнанна. Ша делкъанна хӀума юуш юьзча йитинарг шен тӀоьрмиг чуьра схьа а эцна, марнене елира Рутис.</verse>
				<verse number="19">«Ахь тахана мичахь болх бира? Мичара лехьийна ахь мекхан кенаш? Дала декъала войла хьуна и дика динарг!» — элира НуӀмата. Рутис дӀадийцира шен марнене, ша хьенан кха тӀехь болх бинера. «Ас тахана кха тӀехь болх бинчун цӀе БоӀаз ю», — элира цо.</verse>
				<verse number="20">«Везачу Эло декъалвойла иза. Дала, Шен дош кхочушдеш, беллачарна а, бисинчарна а диканиг до. БоӀаз-м вайна юххера, гергара стаг ву. Иза, вай Ӏалаш а деш, вайна гӀо дан дезачарех цхьаъ ву», — элира марнанас.</verse>
				<verse number="21">«Цо-м шен ялта чудерзийна даллалц, шен ялхошца хила магийна суна», — аьлла, дӀахаийтира Рутис.</verse>
				<verse number="22">ТӀаккха НуӀмата шен несе элира: «Ма дика ду-кх, сан йоӀ, хьо цуьнан ялхошца хир йолуш, нехан кха тӀехь цхьаммо а хьо чехор йоцуш».</verse>
				<verse number="23">Иштта БоӀазан ялхошца кенаш а лехьош, ялта чудерзийна даллалц, шен марненаца Ӏийра Рути.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">ТӀаккха Рутига цуьнан марнана йолчу НуӀмата элира: «Сан йоӀ, хьо дӀатаръярхьама, цхьа хӀусам лехча хӀун дара-те ас?</verse>
				<verse number="2">И БоӀаз а вайн гергара стаг ву. Цуьнан ялхошца бина ахь болх. Иза тховса хьаьттахь, мохехь мукх цӀанбеш хир ву.</verse>
				<verse number="3">ЦӀан а лой, хьайн дегӀах хаза хьожа йогӀу хӀума а хьакхий, хьайна тӀе уггар хаза йолу бедарш а юхий, хьаьтта гӀо, амма и хӀума йиъна а, мелла а валлалц, цунна гучу ма яла.</verse>
				<verse number="4">И дӀавижча, иза мича метте вижна а хьажий, яха а гӀой, цунна тӀетесна йолу хӀума хьала а айий, цуьнан когашка дӀайижа. ТӀаккха цо ша эр ду хьоьга, кхин дӀа ахь хӀун дан деза».</verse>
				<verse number="5">«Ахь бохург дерриге а ас кхочуш дийр ду», — элира Рутис.</verse>
				<verse number="6">ТӀаккха иза хьаьтта а яхара, дерриге а шен марнанас тӀе-ма-диллара, кхочуш а дира цо.</verse>
				<verse number="7">БоӀаз йиъна а, мелла а, шен дог тедина а ваьлла, вахана мекхан борзана юххехь дӀавижира. Ткъа хӀара, меллаша тӀе а яхана, цунна тӀетесна йолу хӀума хьала а айина, цуьнан когашкахь дӀатевжира.</verse>
				<verse number="8">Буьйсанна юккъехь, набарха цӀеххьана вегийна, БоӀаз хьалаайавелча, шен когашкахь йижина Ӏуьллуш цхьа зуда карийра цунна.</verse>
				<verse number="9">БоӀаза хаьттира цуьнга: «Хьо мила ю?» «Со хьан лай йолу Рути ю-кх, — жоп делира зудчо, — Хьо со Ӏалашъеш, суна гӀо дан дезаш болчу гергарчарех цхьаъ волу дела, хьайн хӀусамехь, хьайн юргӀана кӀелахь йитахьа со».</verse>
				<verse number="10">«Дала декъала йина-кх хьо, сан йоӀ! ХӀара хьайн марнанна дина гӀуллакх хьалха мел диначул а оьзда дина ахь. Хьо кегийчех я мисканаш, я хьалдерш а ца къестийра ахь.</verse>
				<verse number="11">ХӀинца, сан йоӀ, ма кхера хьо! Ахь дехнарг чекхдоккхур ду ас, хьо оьзда зуда хилар массарна а хаьа дела.</verse>
				<verse number="12">Амма бакъду, со хьо Ӏалашъян а, хьуна гӀо дан а дезаш болчу гергарчех велахь а, кхин а ву цхьа стаг, сол юххера гергара а волуш.</verse>
				<verse number="13">Тховса кхузахь буьйса яккха. Нагахь санна кхана цо хьо тӀеэцахь, дика хир ду. Ткъа хьо тӀелаца цунна ца лаахь, ас тӀелоцур ю хьо. Аса иза дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо! ХӀинца дӀайижа сахиллалц».</verse>
				<verse number="14">БоӀазан когашкахь сахиллалц Ӏийра Рути. Шаьшшиннан яххьаш вовшашна къастале, сатасале хьалагӀаьттира Рути. ТӀаккха БоӀаза элира цуьнга: «Цхьаьнгге а ма тосадалийта кхуза хьо еана хилар».</verse>
				<verse number="15">Юха БоӀаза элира Рутига: «Схьалаца хьайн йовлакх». Рутис йовлакх схьалецира. БоӀаз, цунна ялх барам мукх а белла, иза цунна ги а тесна, гӀала вахара.</verse>
				<verse number="16">Ткъа Рути марнана йолчу яхара. Марнанас хаьттира цуьнга: «Хьайчух хӀун хилира, сан йоӀ?» Оцу стага шена динарг дерриге а марнене дӀадийцира Рутис:</verse>
				<verse number="17">«ХӀара ялх барам мукх а белла, цо элира соьга: „Хьайн марнанна тӀе даьссачу куьйгашца ма гӀо“».</verse>
				<verse number="18">НуӀмата элира: «ХӀара гӀуллакх чекх муха долу хаъалц, собар де ахь. И стаг Ӏийр вац и гӀуллакх тахханехь чекх ца доккхуш».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">ГӀала чу воллучохь йолчу, нах гуллучу майдане а вахана, охьахиира БоӀаз. Цо вуьйцуш волу стаг а вара хӀеттахь тӀехволуш. ТӀаккха БоӀаза элира цуьнга: «Схьа а волий, охьахаахьа». Важа веана охьахиира.</verse>
				<verse number="2">Кхайкхина, къанойх итт стаг а схьавалийра БоӀаза. Шайга охьаховшар дехча, уьш охьахевшира.</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха оцу гергарчу стаге элира БоӀаза: «Муаби-махкара цӀа йирзинчу НуӀмата вайн вешех Элималиках дисна долу доьзалан латта духкуш ду.</verse>
				<verse number="4">Хьоьга иза дӀахазийта сацам бина ас. ХӀара нах а болуш, массо а сан халкъан къаношна а хууш, и дакъа ахь дӀаэца, хьо юххера гергара волу дела. Хьайна и эца лаахь, эца, ткъа эца ца лаахь, соьга схьахаийта. Хьо воцучун цкъа цхьанна а и схьаоьцийла дац, хьол тӀаьхьа эца йиш ерг со ву». Вукхо ша оьцу элира.</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха БоӀаза дӀахаийтира цуьнга: «Нагахь НуӀматан доьзалан латта оьцуш хилча, веллачун зуда, муабахо йолу Рути а хьайна йига езар ю ахь, лаьттан дакъа веллачун доьзалан долахь дисийтархьама».</verse>
				<verse number="6">«Йиш яц сан и сайна йига, сайн дакъа декъна ца хилийтархьама. Сан йиш йоцу дела, ахь тӀеэцахь иза», — элира гергарчо.</verse>
				<verse number="7">Цу заманчохь Исраил-махкахь иштта Ӏедал хилла: дакъа оьцуш, я хуьйцуш, я бина мах чӀагӀбеш, цхьаммо шен мача, схьа а яьккхина, кхечуьнга луш. И саннарг дар тоьшалла чӀагӀдар санна хилла Исраил-махкахь.</verse>
				<verse number="8">Оцу гергарчу стага, шен когара мача схьа а яьккхина, элира: «И зуда а, и дакъа а хьайна схьаэца».</verse>
				<verse number="9">ТӀаккха БоӀаза къаношка а, массо а адамашка а элира: «ХӀинца шу теш ду Элималикан а, Халин а, Махьланан а долахь мел хилла долу хӀума ас НуӀматера схьаэцар.</verse>
				<verse number="10">Иштта шу тахана теш а долуш, веллачун дакъа цуьнан цӀартӀехь дитархьама а, цуьнан цӀе вежаршна юкъара ца яйархьама а муабахо йолу, Махьланах йисина йолу зуда Рути ас сайн дола йоккху».</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха цигахь мел долчу адамо а, къаноша а элира: «Тхо теш ду-кх. Везачу Эло декъала йойла Рахьал а, Леа а санна, хьан керта йогӀуш йолу и зуда. Цара шиммо а дебийтира Исраилан халкъ. Беркат догӀийла хьан цӀенна тӀе Эпратехь. ЦӀе йоккхуш стаг хуьлийла хьо Байтлахамехь.</verse>
				<verse number="12">Везачу Эло хьуна цу къоначу зудчуьнгара лун йолу тӀаьхье бахьана долуш, Тамарас ЯхӀудана винчу Парасан доьзал санна, хуьлийла хьан доьзал».</verse>
				<verse number="13">БоӀаза и шена йига а йигира, цунах цунна зуда а хилира. И шиъ цхьанакхетча, Везачу Эло иза берах а хилийтира, цо кӀант а вира.</verse>
				<verse number="14">14-15 Зударша НуӀмате бохура: «Хастам бу Везачу Элана! Цо ца йити хьо, йоккха хилча, Ӏалашъян а, гӀо дан а стаг воцуш. ЦӀе йоккхуш стаг хуьлийла цунах Исраил-махкахь. Хьан дог доккха дийр ду хӀокху кӀантах, ворхӀ кӀантал а тоьлуш йолчу, хьо езаш а йолчу, хьан несо и вина дела».</verse>
				<verse number="15">***</verse>
				<verse number="16">И бер, схьа а оьций, марахь леладора НуӀмата, цунна баба а хилла, кхебира цо иза.</verse>
				<verse number="17">Лулахоша Ӏабади аьлла, цӀе а тиллинера цунна. «НуӀматан кӀант ву-кх хӀинца», — олура цара. И Ӏабади Дауд-паччахьан да волчу Юшаян да вара.</verse>
				<verse number="18">ХӀара ю Парасан тӀаьхье: Парасан хилира кӀант Хьацрани.</verse>
				<verse number="19">Хьацранин хилира кӀант Рам. Раман хилира кӀант Ӏамминадаб.</verse>
				<verse number="20">Ӏамминадабан хилира кӀант Нахьшон. Нахьшонан хилира кӀант Салман.</verse>
				<verse number="21">Салманан хилира кӀант БоӀаз. БоӀазан хилира кӀант Ӏабади.</verse>
				<verse number="22">Ӏабадин хилира кӀант Юшай. Юшаян хилира кӀант Дауд.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="9">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">Эпрайман лаьмнаш тӀехь Ӏуьллуш йолчу Раматайм-Цупамахь Ӏаш хилла Элкхан цӀе йолу цхьа стаг. Элкхан ша Цупин доьзалх схьаваьлла вара. Цуьнан ден цӀе Ярохьам хилла, ткъа Ярохьам ЭлихӀун кӀант хилла, ЭлихӀун да ТӀохьа хилла. Ткъа ТӀохьа эпратхо волчу Цупин кӀант хилла.</verse>
				<verse number="2">Элкханан ши зуда яра. Цхьана зудчун цӀе Хьанат яра, вукхун цӀе Паннана яра. Паннанин бераш хилла, ткъа Хьанат доьзалхой боцуш хилла.</verse>
				<verse number="3">ХӀора шарахь, билгалдаьхначу деношкахь, Элкхан Шилун-гӀала воьдуш хилла массо а ницкъашна тӀехь волчу Везачу Элана лерина долу гӀуллакх дан а, Цунна сагӀа даккхийта а. Шилунехь Везачу Элан динан дай бара Ӏелин кӀентий: Пайнехьассий, Хьапний.</verse>
				<verse number="4">Ша, сагӀа а даккхийтина, цӀа веача, Элкхана шен зудчунна Паннанина а, цо бинчу доьзална а цу сагӀин дакъа луш хилла.</verse>
				<verse number="5">Хьанатана тоьлла долу дакъа луш хилла цо, хӀунда аьлча иза цунна дукхах езаш хилла, Везачу Эло цунна доьзалхой ца беллехь а.</verse>
				<verse number="6">Везачу Эло цунна бераш ца далар бахьана долуш, Паннанас Хьанат кест-кестта сийсазйора, цуьнга сагатдайтархьама.</verse>
				<verse number="7">И сурт Паннанас цунна хӀора шарахь хӀоттадора, Хьанат Везачу Элан цӀа чу мосазза йоьду. Цо ша хьийзаяран барам тӀехбаьлча, иза йоьлхура, цо яа хӀума ца йоура.</verse>
				<verse number="8">Цуьнан майрачо Элкхана цуьнга элира: «Хьанат, хьо хӀунда йоьлху? Ахь яа хӀума хӀунда ца йоу? Хьан дог стенна Ӏийжаш ду? Со хьуна итт кӀантал ца тоьлу?»</verse>
				<verse number="9">Цхьана дийнахь, Шилунахь шаьш яа хӀума йиъна а, мелла а девллачул тӀаьхьа, Хьанат хьалагӀаьттира. Динан да волу Ӏела Везачу Элан цӀийнан неӀсагӀи тӀехь Ӏаш вара.</verse>
				<verse number="10">Хьанат, чӀогӀа дог доьхна, йоьлхуш, Везачу Эле доьхуш яра.</verse>
				<verse number="11">Цо шен доӀанехь нигат дира: «Массо а ницкъашна тӀехь волу Веза Эла! Тидам бехьа сан деган лазаме! Со хьайна дагаяийтахьа! Йиц ма ехьа! Ахьа суна божабер лахь, аса иза Хьуна массо а йолчу ханна дӀалур ду. Цуьнан коьртарчу месех урс а хьакхалур дац».</verse>
				<verse number="12">Дехха доӀа дира Хьаната. Цу хенахь Ӏела Хьанатан балдашка хьоьжуш вара.</verse>
				<verse number="13">Иза шен дагахь доӀа деш яра: цуьнан балдаш хьуьйш дара, амма цо дуьйцург хезаш дацара. Цундела Ӏелина иза мелла ю моьттира.</verse>
				<verse number="14">Цо цуьнга элира: «Хьо мелла ю! Малар дита деза!»</verse>
				<verse number="15">Хьаната жоп делира: «Иза иштта дац, сан эла. Аса я чагӀар а, я йий а ца мелла. Со сайн кийрара бала Везачу Эле дӀабелхош ю.</verse>
				<verse number="16">Хьан ялхо йолчу сох вон зуда ма хеталахь. Аса оццул деха доӀа даран бахьана соьгахь лаьтташ болу бала бу».</verse>
				<verse number="17">Ӏелас цуьнга элира: «Марша гӀойла хьо. Исраилан Дала хьан доӀанна жоп лойла».</verse>
				<verse number="18">Хьаната цуьнга элира: «Хьо суна реза хуьлийла лаьара суна!» Иза шен новкъахула дӀаяхара. Цо яа хӀума а йоура, хӀинца хьалха санна сингаттаме а ца хетара иза.</verse>
				<verse number="19">Ӏуьйранна хьала а гӀаьттина, Далла корта а тоьхна, уьш шайн цӀа долчу Раме юхабахара. Элкхан шен зудчуьнца дӀавижинчул тӀаьхьа Дала Хьанатан дехар Шена дагадаийтира.</verse>
				<verse number="20">Дукха хан ялале иза берах хилира. Шен зама тӀекхаьчча, цо кӀант вира, цуьнан цӀе Шамъал аьлла тиллира (иза «Далла хезна» бохург ду). И цӀе цунна тиллар и кӀант Хьаната Деле вехар дара.</verse>
				<verse number="21">Шен доьзалца хӀора шарахь ша ма-ваххара, Шилуне Везачу Элана сагӀа даккхийта а, ша дина долу нигат кхочушдан а вахара Элкхан.</verse>
				<verse number="22">Амма Хьанат цаьрца ца яхара. Цо Элкхане элира: «КӀант вакхочуьра а ваьккхина, аса иза айса дӀавуьгур ву цига, Везачу Элана дӀа а лур ву, массо а ханна цигахь Ӏайта».</verse>
				<verse number="23">Элкхана цуьнга элира: «Хьайна бакъахьа хеттарг де. ЦӀахь Ӏан мегар ду хьуна, кӀант вакхочуьра ваккхалц. Дала къобалбина тӀеоьцийла хьан лаам». Цуьнан зуда цӀахь Ӏийра, кӀант вакхочуьра ваккхалц.</verse>
				<verse number="24">Иза вакхочуьра къастийначул тӀаьхьа, Хьанат цуьнца Шилуне яхара. Цо, ша дӀайоьдуш, шеца кхо шо кхаьчна долу бежана а, кхо сахь дама а, цхьа пӀаьлдиг чагӀар а даьхьира. Иза Шилунерчу Везачу Элан цӀа чу еара, шеца кхуьуш волу шен кӀант а валош.</verse>
				<verse number="25">Схьадалийначу бежанна урс хьаькхира. Ӏела волчу шайн кӀант схьавалийра дас-нанас.</verse>
				<verse number="26">Хьаната элира: «Сан эла! Хьо дийна хилар санна бакъ ду хьуна, тоххара хӀоккхуза дӀа а хӀоьттина, Везачу Эле доьхуш доӀа деш хилларг со хилар.</verse>
				<verse number="27">ХӀара хьуна гуш долу бер ду хьуна аса Цуьнга дехнарг. Везачу Эло суна жоп делира, аса дехнарг кхочуш а деш.</verse>
				<verse number="28">Аса хӀара кӀант Везачу Элана дӀало. Ша дуьнен чохь мел йоккхучу хенахь Везачу Элана гӀуллакх деш хир ву хӀара». Цо цигахь Везачу Элана Ӏибадат дира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Ша доӀа деш Хьаната элира: «Сан дог Везачу Элах доккхаде! Везачу Эло Шен ницкъаца соьца болу ларам лакхабаьккхина! Ахьа со кӀелхьаръяккхарх йоккхаеш, со сайн мостагӀех йоьлу.</verse>
				<verse number="2">Везачу Элал веза цхьа а вац, Хьох тераниг дуьнен чохь а вац! Чхаро санна, адам Ӏалашдеш тхан Дела воцург цхьа а вац.</verse>
				<verse number="3">Деза детташ, къамелаш ма де, ма ала кӀоршаме дешнаш! Веза Эла массо а хӀума гуш ву. Нехан массо а гӀуллакхашна нийсонца тӀе а хьожу.</verse>
				<verse number="4">Ницкъболчеран секхаӀад кагло! ЭгӀаза верг ницкъ болуш хуьлу.</verse>
				<verse number="5">Буьзна хилларш, леш санна, къахьоьгуш бу, меца лелларш, буьзна, садоӀуш бу. Бер ца хуьлуш йолчо ворхӀазза бер до, ткъа дукха кӀентий болуш хилларг синца эшна ю.</verse>
				<verse number="6">Везачу Эло вен а воь, чу са а кхуллу, стаг Ӏожалле дӀа а хьажаво, веллачуьра ден а во.</verse>
				<verse number="7">Везачу Эло цхьаьнга къелла кховдайо, вукхуьнга хьал ло, цхьаннан цӀе йожайо, вукхуьнан хьала а йоккху.</verse>
				<verse number="8">Везачу Эло къен верг чена юккъера хьалаайаво, овкъарш юккъера мисканиг схьавоккху. Иза хьалдолчаьрца нийсса дӀахӀоттаво, цаьрга паччахьаллин сийнна шерет дойту. Дуьненан бух Везачу Элан ма бу, цу тӀехь Латта ДӀахӀоттийнарг а Иза ву.</verse>
				<verse number="9">Везачу Эло шен нехан лар Ӏалашйо, хьарамалла лелорш хӀаллакбо, уьш боданехь къайла а бохуш. Церан ницкъ хиларх пайда бац, и ницкъ цаьргара шайгара бен бацахь.</verse>
				<verse number="10">Шена дуьхьалваьлларг Везачу Эло дуьнен чуьра войу, стигалара схьа царна оьгӀазло а еш. Делан кхел дуьненан массо а маьӀӀе кхочур ю. Ша хаьржинчу паччахье Цо олалла а лур ду, Ша къобалвинчуьнца болу ларам лакха а боккхур бу».</verse>
				<verse number="11">Элкхан доьзалца Раме юхавирзира, ткъа Шамъал динан да волчу Ӏелина уллохь Везачу Элана гӀуллакх деш Ӏийра.</verse>
				<verse number="12">Ӏелин кӀентий чӀогӀа вон нах хилла. Цара Веза Эла къобал а ца вора,</verse>
				<verse number="13">я динан дайша нахаца лелон езаш йолу юкъаметтиг а ца хаьара царна. Цхьаммо, сагӀа а даьккхина, жижиг кхехкочу хенахь, динан ден жима гӀоьнча, шен кхо маӀа йолу мӀара а бахьаш схьа а вогӀий,</verse>
				<verse number="14">яй чу, я ялгӀу чу, я кеда чу иза а Ӏуттий, цу чуьра тӀейогӀаелларг схьа а оьций, дӀавоьдура. Иштта «гӀиллакх» хӀоттадора цара массо а Шилуне вогӀуш волчу исраилхочуьнца.</verse>
				<verse number="15">Везачу Элана лерина долу махьаран даьтта дагадале, динан ден жимачу гӀоьнчас, схьа а вогӀий, цӀий доккхуш волчуьнга олура: «Динан дена кхарза жижиг ло. Цо хьоьгара кхехкийна жижиг схьаоьцур дац, соьга буьйданиг ло».</verse>
				<verse number="16">Нагахь санна цхьаммо шега: «Цкъа собар де махьаран даьтта дагийна даллалц, цул тӀаьхьа хьур ду ахьа хьайн даго ма-бохху жижиг» — аьлча, цо олура: «ХӀинца схьало. Ахьа ца лахь, аса нуьцкъала схьадоккхур ду хьоьгара иза».</verse>
				<verse number="17">Цу кегийчу наха Везачу Элана хьалха чӀогӀа доккха къа латийнера, хӀунда аьлча цара шаьшшиъ Везачу Элана сагӀа даккхарх ца вешийла гойтура.</verse>
				<verse number="18">Шамъала Шилунехь ша Везачу Элана гӀуллакх деш волчу хенахь, динан дайша лелон езаш йолу ийпад цӀе йолу бедарш тӀеюхура.</verse>
				<verse number="19">Леррина тӀехула йоьхна лелош йолу бедарш цунна шен нанас, тега а тоьгий, хӀора шарахь яхьаш хилла, иза шен майрачуьнца сагӀа даккха йогӀуш.</verse>
				<verse number="20">Ӏелас, Элкханний, цуьнан зудий декъал а деш, олура: «Везачу Эло кхин а бераш лойла шуьшинна хӀокху аша Везачу Элана дӀавеллачу кӀантана дуьхьал». И шиъ шайн цӀа доьдура.</verse>
				<verse number="21">Веза Эла Хьанатана тӀехьаьжна хилла: цо кхин а кхо кӀант а, ши йоӀ а йина. Ткъа церан кӀант Шамъал Везачу Элана уллохь воккха хуьлуш хилла.</verse>
				<verse number="22">Ӏела чӀогӀа къена вара. Цунна хезаш дара шен кӀенташа массо а исраилхошка хӀоттош дерг а, уьш Везачу Элан деза четар лаьттачу кертахь гӀуллакх деш болчу зударшца лела бохуш дерг а.</verse>
				<verse number="23">Цо цаьрга элира: «ХӀунда лелабо аша и болх? Массо а нахера суна шух лаьцна вониг хеза.</verse>
				<verse number="24">Сан бераш, суна шух лаьцна хезаш дерг вон хабар ду. Везачу Элан лаамехь долчу халкъо шух лаьцна вониг дуьйцу.</verse>
				<verse number="25">Стага вукху стагана дуьхьал ша вониг дича, Дела царна юккъе хӀотта мега. Ткъа аша Везачу Элана дуьхьал вониг лелош хилча, шуна тӀе мила хӀуттур ву?» Амма цара шайн дас бохучуьнга ла ца дугӀура, Везачу Эло цу хенахь уьш байа сацам бина хилла дела.</verse>
				<verse number="26">Ткъа Шамъал воккха хуьлуш вара, шех Везачу Элан а, нехан а бӀаьрг бузуьйтуш.</verse>
				<verse number="27">Ӏела волчу Делан стаг веара. Цо элира: «Везачу Эло хьоьга иштта боху: „Хьан ден цӀенна Со ца вовзийтира Ас, уьш Мисар-махкахь пирӀунан цӀа чохь леш болчу хенахь?</verse>
				<verse number="28">Массо а исраилхойн тайпанашна юккъера хаьржина вацара Аса хьан дай шех схьабевлла волу АхӀарон Сайн динан да хилийта а, сагӀа доккхучу кхерче ваийта а, хаза хьожа йогӀу хӀума ягаяйта а, Суна хьалха динан дас лелош йолу ийпад лелаяйта а? Массо а Исраилан кӀенташа Сан дуьхьа доккхуш долчу сагӀанийн дакъа ца кхочуьйтура Аса хьан цӀенна?</verse>
				<verse number="29">ХӀунда бетта аша Сан дуьхьа доккхуш долчу жижиган а, баьпкан а сагӀанийн дакъошна тӀе когаш, Аса Сайн цӀенна лерина долчу? Сан Исраилан халкъо Суна даьхначу сагӀанийн уггар тоьллачу дакъойх хьан кӀентий буза а беш, ахьа Со дӀатеттина“».</verse>
				<verse number="30">Цул тӀаьхьа цу стага элира: «Исраилан халкъан Дала аьлла дара: „Хьан цӀа а, хьан ден цӀа а массо а хенахь Сан бӀаьргашна хьалха гӀуллакх деш хир ду“. Амма хӀинца Везачу Эло боху: „Иза иштта хир дац! Сан сий деш волчун Аса а дийр ду сий, амма Сан цӀе сийсаза йоккхуш верг юьхьӀаьржачу а хӀуттур ву.</verse>
				<verse number="31">ТӀейогӀур ю Аса хьан массо а тӀаьхье хӀаллакьеш йолу зама. Хьан доьзалера цхьа а стаг къанло хан тӀекхаччалц вехар вац.</verse>
				<verse number="32">Исраилан мохк толуш дӀагӀур бу, амма хьуна гун дерш хьан доьзале кхочун долу вонаш ду. Хьан доьзалхойх цхьа а къанвелла лийр вац.</verse>
				<verse number="33">Сайн кхерчан уллора массо а дӀавоккхур вац Аса. Цхьаъ вуьтур ву Аса цуьнан бӀаьргаш бӀарздаллалц, цуьнан гӀора дӀадаллалц. Хьан мел йолу тӀаьхье гӀеметтахӀоьттинчу хенахь лийр ю.</verse>
				<verse number="34">Аса билгало йоуьйтур ю хьуна и зама тӀекхаьчнийла хоуьйтуш: хьан ший а кӀант, Хьапни а, Пайнехьас а, цхьана дийнахь лийр ву.</verse>
				<verse number="35">Аса Сайна тешаме динан да дӀахӀоттор ву: цо, Сан даге хьаьжжина, Аса ма-бохху гӀуллакх дийр ду. Аса цуьнан тайпа ницкъ болуш хуьлуьйтур ду. Цо, ша мел веха, Аса хаьржинчу паччахьан гӀуллакх а дийр ду.</verse>
				<verse number="36">Хьан цӀийнах мел виснарг цунна корта тоха вогӀур ву, жимма ахча я баьпкан дакъа ло бохуш. Цара цуьнга дехар дийр ду: ‘Динан дас беш болу муьлхха а болх лохьа суна, сайна сискал яккха’, — бохуш“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">Кхиъна вогӀуш волу Шамъал Ӏелина уллохь Везачу Элана гӀуллакх деш вара. Цу деношкахь Делера хаам нахе наггахь бен хуьлуш бацара, Делера долу сурт а наггахь бен ца хӀуттура.</verse>
				<verse number="2">Цхьана буса Ӏела шен меттахь вижина Ӏуьллуш вара. ТӀаьхьарчу хенахь цуьнан бӀаьргаш телхина догӀуш дара, цундела цунна хӀумма а ца гора.</verse>
				<verse number="3">Сатасале, богуш болу Делан къуьда дӀабаза болчу хенахь, Шамъал Везачу Элан дезачу четар чохь вижина Ӏуьллуш вара. Цу четар чохь лаьтташ Делан деза тӀорказ а дара.</verse>
				<verse number="4">Веза Эла Шамъале кхайкхира. Цо жоп делира: «Кхузахь ву со!»</verse>
				<verse number="5">Ведда Ӏела волчу а вахана, цо элира: «Со кхузахь ву. Хьо соьга кхайкхирий?» Амма Ӏелас элира: «Со хьоьга ца кхайкхира. Вало, дӀавижа». Шамъал, дӀа а вахана, дӀавижира.</verse>
				<verse number="6">Веза Эла юха а цуьнга кхайкхира. Иза шолгӀа а, Ӏела волчу схьа а веана, вистхилира: «Со кхузахь ву. Хьо соьга кхайкхирий?» Амма вукхо элира: «Сан кӀант, со хьоьга ца кхайкхира. ДӀа а гӀой, дӀавижа».</verse>
				<verse number="7">Шамъална цу хенахь Везачу Элан аз ца девзара, хӀунда аьлча Цуьнан дош Шамъална схьа ца делладеллера.</verse>
				<verse number="8">КхозлагӀа а Веза Эла Шамъале кхайкхира. Иза юха а, хьала а гӀаьттина, Ӏела волчу а веана, вистхилла: «Со кхузахь ву. Хьо соьга кхайкхирий?» ТӀаккха Ӏелина хиира, кӀанте кхойкхуш Верг Веза Эла вуйла.</verse>
				<verse number="9">Ӏелас Шамъале элира: «Юха а, дӀагӀой, дӀавижа. Нагахь санна хьайга юха а цхьаммо кхайкхахь, цуьнга ала: „Вистхила, Веза Эла, Хьан лай Хьоьга ладугӀуш ву“». Шамъал, шен метте дӀа а вахана, дӀавижира.</verse>
				<verse number="10">Веза Эла, схьа а веана, дӀа а хӀоьттина, хьалха санна кхайкхира: «Ва Шамъал!» Шамъала элира: «Вистхила, Веза Эла, Хьан лай Хьоьга ладугӀуш ву!»</verse>
				<verse number="11">Везачу Эло Шамъале элира: «Аса Исраилан махкахь цхьа хӀума дийр ду, и шена хезначун шинна а лерга чу зов догӀур ду.</verse>
				<verse number="12">Цу дийнахь Аса Ӏелин доьзална тӀехь Айса мел аьлларг кхочушдийр ду. Аса иза дӀа а долор ду, чекх а доккхур ду.</verse>
				<verse number="13">Аса цуьнга аьлла ду, цуьнан цӀенна тӀехь массо а тӀейогӀучу ханна таӀзар дийр ду аьлла, хӀунда аьлча цо шен кӀенташа лелош долчу къинойх лаьцна а, цара лелош долчу дастамечу хӀуманех лаьцна а шена хуъушехь, уьш саца ца бина дела.</verse>
				<verse number="14">Аса чӀагӀо йо, цуьнан цӀенна тӀехь долу къинош муьлхха а тайпана даьккхинчу сагӀанаша дӀадохур дац аьлла».</verse>
				<verse number="15">Шамъал Ӏуьйре тӀекхаччалц вижина Ӏиллира. Ша хьалагӀаьттинчул тӀаьхьа, цо Везачу Элан четаран неӀ дӀайиллира. Иза ца хӀуттура Ӏелига шена буьйсанна хезнарг дӀадийца.</verse>
				<verse number="16">Амма Ӏелас кхуьнга ша дӀакхайкхира: «Сан кӀант Шамъал!» Цо элира: «Со кхузахь ву».</verse>
				<verse number="17">ТӀаккха Ӏелас элира: «Хьоьга хӀун элира? Хьайга аьллачух хӀумма а къайладаккха ма гӀерта. Дала хьуна чӀогӀа таӀзар дийр ду, ахьа сох хӀумма а къайладаккхахь».</verse>
				<verse number="18">Цхьа а хӀума къайла ца хьош, Шамъала дерриге а цуьнга дӀадийцира. ТӀаккха Ӏелас элира: «Иза Веза Эла ву. Цо Шена бакъахь хеттарг дойла!»</verse>
				<verse number="19">Шамъал воккха хилира. Веза Эла цуьнца вара, Цуьнан цхьа а дош кхочуш ца хуьлуш ца дисира.</verse>
				<verse number="20">Исраил-махкахь массо а меттехь, Дан-гӀалара дуьйна Беар-ШабаӀе кхаччалц, массарна а хиира Шамъалах Везачу Эло къобалвина волу пайхамар вина хилар.</verse>
				<verse number="21">Шен дашехула Ша вовзуьйтуш, Шилунехь Шамъална дуьхьалвогӀура Веза Эла.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">ТӀаккха Шамъал массо а исраилхошка наггахь вистхуьлура. Цу заманчохь исраилхой пӀелаштамхошна дуьхьал тӀом бан арабевлла хилла. Исраилхойн меттамотт Абани-Ӏазарна генахь боццуш лаьтташ хилла, ткъа пӀелаштамхой Апакх олучу гӀалина уллохь севцина.</verse>
				<verse number="2">Исраилхошна дуьхьал лата дӀахӀиттинера пӀелаштамхой. Уьш вовшахлетира. ПӀелаштамхоша исраилхой эшийра. Цигахь виъ эзар стаг вуьйжира исраилхошна юкъара.</verse>
				<verse number="3">Адам шайн меттаматте юхадеара. Исраилхойн къаноша элира: «Везачу Эло хӀунда белла техьа пӀелаштамхошка вай эшадан ницкъ? Вай Шилунера Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ схьаэца деза. Иза вайца хир ду, цо вай мостагӀийн куьйгех кӀелхьара а дохур ду».</verse>
				<verse number="4">Нах Шилуне а бахийтина, цигара массо а ницкъашна тӀехь волчу Везачу Элаца бина барт дагабоуьйтуш долу тӀорказ схьадаийтира. ТӀорказан негӀар тӀехь Ӏаш дашо деза ши малик дара. Царна тӀехула яра Везачу Элан меттиг. Цу тӀорказна уллохь Ӏелин ши кӀант вара, Хьапний, Пайнехьассий.</verse>
				<verse number="5">Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ шаьш долчу схьакхаьчча, исраилхоша йоккха гӀовгӀа яьккхира, дерриг латта а дегош.</verse>
				<verse number="6">И баккхийберан мохь шайна хезча, пӀелаштамхоша элира: «Ӏебархойн агӀонехь ма чӀогӀа маьхьарий хьоькху. И хӀун ду техьа?» Царна хиира Везачу Элан тӀорказ исраилхойн меттаматте схьакхаьчнийла.</verse>
				<verse number="7">ПӀелаштамхой кхерабелира. Цара элира: «Церан Дела веана уьш болчу. Вайгахь боккха бала бу! Иштта долу хӀума хьалха цкъа а ца хилла!</verse>
				<verse number="8">Бала бу вайгахь! Хьан дохур ду вай цу ницкъ болчу деланийн карара? Цу деланаша, таӀзарш деш, мисархой хӀаллакбина яьссачу аренгахь.</verse>
				<verse number="9">ЧӀагӀ а лой, майра хила, пӀелаштамхой! Вайна карабаьхкина болу Ӏебархой санна, церан кара а дахана, церан леш хилла ца латтархьама. Доьналла долуш хила, цаьрца лата кийча хила!»</verse>
				<verse number="10">Уьш чӀогӀа летира, исраилхой эша а беш. ХӀора дийна висина волу исраилхо, ведда, шен цӀа вахара. Исраилхой чӀогӀа эшийра цу тӀамехь, ткъе итт эзар гӀашло вен а вуьш.</verse>
				<verse number="11">Делан тӀорказ пӀелаштамхойн карадахара, ткъа Ӏелин ши кӀант, Хьапний, Пайнехьассий, велира.</verse>
				<verse number="12">Оццу дийнахь цхьа бен-яманхо, тӀом болчуьра ведда, Шилуне кхечира. Цунна тӀера бедарш этӀийна яра, коьрта тӀехь чан яра.</verse>
				<verse number="13">Ӏела гӀали чу воьдучохь лаьтташ долчу кевнан неӀарехь хиъна Ӏаш вара, хьоьжуш. Цуьнан дог, Делан тӀорказах хӀун хилла ца хууш, лозуш дара. Веанчу цу стага тӀамехь долу хьал дийцича, массо а стаг велха дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="14">Шена и белхар хезча, Ӏелас хаьттира: «И хӀун гӀовгӀа ю?» Цу стага, тӀе а веана, шадерг а дӀадийцира.</verse>
				<verse number="15">Цу хенахь Ӏелин дезткъе берхӀитта шо дара. Цуьнан бӀаьргаш, са ца гуш, кхоьлина дара.</verse>
				<verse number="16">Цу стага цуьнга элира: «Со меттаматтера схьавеана. Тахана тӀом болчуьра ведда со». Ӏелас цуьнга хаьттира: «ХӀун хилла цигахь, жима къонах?»</verse>
				<verse number="17">Хаамчас жоп делира: «Исраилхой пӀелаштамхойх бевдда. Вай цара эшийна. Хьан ший а кӀант велла. Делан тӀорказ мостагӀийн карахь ду».</verse>
				<verse number="18">Цо Делан тӀорказ хьахошшехь, Ӏела ша Ӏаш волчу гӀанта тӀера аркъал охьавуьйжира. Вортанан даьӀахк каг а елла, иза велира. Цуьнан кхалхар иштта сиха хилира, иза чӀогӀа къена а, дегӀана веза а волу дела. Иза шовзткъа шарахь Исраилан мехкан куьйгалхо хилла Ӏийна ву.</verse>
				<verse number="19">Ӏелин нус, Пайнехьасан зуда, кестта бер дан дезаш яра. Делан тӀорказ пӀелаштамхойн карадахнийла а, шен мардай, майрий веллийла а хиъча, иза ца лайна, зуда берах хьовзийра. Дукха хан ялале, цо бер дира.</verse>
				<verse number="20">Иза лечу хенахь, цунна тӀехь лаьтташ болчу зударша элира: «Ма кхера. Ахьа кӀант вина». Амма иза схьахьожуш а, йистхуьлуш а яцара.</verse>
				<verse number="21">«Везачу Элан сий Исраил-махкара дӀадаьлла», — аьлла, цо шен кӀентан цӀе Ихвади тиллира (иза «сий доцург» бохург ду). Делан тӀорказ мостагӀийн карадахана дела, шен мардай, майрий велла дела, тиллина цо и цӀе кӀантана.</verse>
				<verse number="22">Цо элира: «Исраилан махко Везачу Элан сий дайина, Делан тӀорказ мостагӀийн карадахана дела».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">Делан деза тӀорказ йийсаре а дигна, пӀелаштамхоша иза Абани-Ӏазарера Ашдод-гӀала схьадеара.</verse>
				<verse number="2">Цара деза тӀорказ, схьа а эцна, шайн дела волчу ДагӀонан цӀа чу диллира. Цара иза ДагӀонан суьртана уллохь охьахӀоттийра.</verse>
				<verse number="3">ШолгӀачу Ӏуьйранна ашдодхой самабевлча, царна гира ДагӀонан тӀулгах дина долу сурт Везачу Элан тӀорказна хьалха бертал Ӏуьллуш. Хьала а айдина, ДагӀонан сурт цара ша хиллачу дӀахӀоттийра.</verse>
				<verse number="4">Вукху Ӏуьйранна нах самабевлча, царна гира Везачу Элан тӀорказна хьалха бертал Ӏуьллуш долу ДагӀонан сурт, цуьнан корта а, ший а куьг а, схьа а даьккхина, неӀсагӀи тӀехь Ӏуьллуш. Дохоза дегӀан гӀад диснера.</verse>
				<verse number="5">И бахьана долуш таханлера де тӀекхаччалц я динан дай а, я кхиболу нах а, Ашдод-гӀаларчу ДагӀонан цӀа чу шаьш баьхкича, цкъа а неӀсагӀи тӀе ца бовлу.</verse>
				<verse number="6">Везачу Эло дуьне гатдинера ашдодхошна. Уьш эшош таӀзар дора Цо царна, дегӀа тӀе хӀуманаш юьйлуьйтуш, Ӏазап хьоьгуьйтура. И хьал Цо Ашдод-гӀалахь хӀоттийна а ца Ӏаш, цунна уллохь йолчу яртийн бахархошка а хӀоттийнера.</verse>
				<verse number="7">Шайна и сурт гича, ашдодхоша элира: «Исраилан Делан деза тӀорказ вай долчохь кхин дита йиш яц! Цо даккхий зенаш хуьлуьйту вайна а, вайн дела волчу ДагӀонна а».</verse>
				<verse number="8">Цара, пӀелаштамхойн мел волу куьйгалхо схьа а гулвина, хаьттира: «ХӀун до вай Исраилан халкъан Делан дезачу тӀорказна?» Вукхара элира: «Вай и тӀорказ Гати-гӀала дӀадахьа деза». Цара иза Гати-гӀала дӀадаьхьира.</verse>
				<verse number="9">Иза цига дӀа-ма-даьхьнехь, Везачу Элан куьг цига а кхечира. Нах чӀогӀа инзарбохуш, царна тӀе доккха Ӏазап хӀоьттира, массеран а дегӀа тӀе ирча хӀуманаш евлира, воккха-жима ца къастош.</verse>
				<verse number="10">Цул тӀаьхьа цара Делан тӀорказ Ӏекхран-гӀала дӀадаьхьира. Амма иза цига дӀадаьхьча, цу гӀалара бахархой чӀогӀа боьхна хьаьвзира. Цара бохура: «Тхо долчу исраилхойн Делан тӀорказ схьадеана тхо а, тхан гӀала а хӀаллакьян».</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха цара, массо а пӀелаштамхойн куьйгалхо схьа а гулвина, элира: «Исраилан мехкан Делан деза тӀорказ ша хиллачу дӀадахьийта, цо вайн мохк а, вайн адам а хӀаллакдале!» Ӏекхран-гӀалара бахархой чӀогӀа кхерабелла хилла, хӀунда аьлча церан дахар цу хенахь чӀогӀа эрчадаьлла хилла дела.</verse>
				<verse number="12">Байаза бисинарш дегӀа тӀехь хӀуманаш евлла хилла. Адаман белхар стигала хьалакхочура.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="6">
				<verse number="1">ВорхӀ баттахь латтийна пӀелаштамхоша Везачу Элан тӀорказ шаьш долчохь.</verse>
				<verse number="2">Динан дай а, эвлаяаш а схьа а гулбина, цара элира: «ХӀун до вай Везачу Элан дезачу тӀорказна? ХӀара шен махка дӀа муха дахьийта деза дийцийша тхуна!»</verse>
				<verse number="3">Вукхара элира: «Шаьш Исраилан халкъан Делан тӀорказ дӀадахьийта гӀерташ делахь, иза ша ма-дарра дӀа ма дахьийта: аша сагӀа даккха деза шайн бехк такхархьама. ТӀаккха хуур ду шуна, Цо шайна таӀзар хӀунда дина».</verse>
				<verse number="4">Цара хаьттира: «Оха тхайн бехк токхуш сагӀа даккхар муха хила деза?» Вукхара жоп делира: «Кхузахь волчу пхеа пӀелаштамхойн пхеа куьйгалхочун цӀарах пхиъ, дегӀа тӀехь яьлларг санна, дашо хӀума а, пхи дашо дахка а бан беза, хӀунда аьлча шуна дина долу таӀзар шуна а, шун куьйгалхошна а кхочу.</verse>
				<verse number="5">ДегӀана тӀе яьлла йолу пхи дашо хӀумий, шайн латта дассош болу пхи дашо дахкий шаьш бина девлча, Исраилан Далла хастам бе. Цо Шен деза куьг шуна тӀера а, шун делашна тӀера а, шун лаьтта тӀера а дӀадаккха мега шуна.</verse>
				<verse number="6">Шайн дог хӀунда чӀагӀдо аша, мисархоший, пирӀуной санна. Дала шайна таӀзар диначул тӀаьхьа бен ца делла цара исраилхошна Мисар-махкара дӀадаха пурба.</verse>
				<verse number="7">Керла ворда а яй, хӀинцца бехкина болу, цкъа а дӀабоьжна боцу ши етт цу ворданах дӀабожа, ткъа церан эсий цӀа дига.</verse>
				<verse number="8">Везачу Элан тӀорказ цу ворданна тӀе хӀоттаде, ткъа Далла хьалха шайн бехк такхархьама сагӀина кечйина йолу дашо хӀуманаш цхьана гӀутакх чу агӀонгахь охьа а яхкий, ворда дӀа а хеций, дӀаяхийта.</verse>
				<verse number="9">Хьожуш хилалаш, нагахь санна и ворда, кхин цхьанхьа дӀа-схьа ца хьаьвзаш, Исраил-махкахь йолчу Байт-Шамаше дӀайодахь, и боккха бохам вайна Везачу Эло хилийтина бу. Амма и ши етт цига ца бодахь, вайна хуур ду, Цуьнан куьйгахула вайна и таӀзар ца хиллийла а, иза ларамаза хилла хилар а».</verse>
				<verse number="10">Цара иштта дира: хӀинцца бехкина болу ши етт ворданах дӀа а боьжна, церан эсий цӀахь дитира.</verse>
				<verse number="11">Цу ворданна тӀе Везачу Элан тӀорказ а хӀоттийна, дашо хӀуманаш а, дашо дехкий а чохь долу гӀутакх цу тӀе хӀоттийра.</verse>
				<verse number="12">Ши етт нийсса Байт-Шамаше боьдучу новкъа дӀабахара. Ӏеха а Ӏоьхуш, цхьанхьа дӀа-схьа а ца хьаьвзаш, дӀабоьдуш хилла ши етт. Ткъа пӀелаштамхойн куьйгалхой, цу ворданна тӀаьхьа а хӀиттина, Байт-Шамаше кхаччалц дӀабахара.</verse>
				<verse number="13">Цу хенахь Байт-Шамашера бахархой тогӀи чохь Ӏуьллучу аренгахь кӀа хьокхуш бара. ДӀахьаьжча, царна гира Везачу Элан деза тӀорказ. Шайна и гича, чӀогӀа хазахийтира царна.</verse>
				<verse number="14">И ворда байт-шамашхо волчу ЮшаӀан аренгахь боккхачу тӀулгана уллохь сецира. Байт-Шамашерачу бахархоша, и ворда йоха а йина, цунах дечиг даьккхира. ТӀаккха, и ши етт цӀарца бага а беш, Везачу Элана лерина долу сагӀа даьккхира.</verse>
				<verse number="15">Иза шаьш дале хьалха Леви цӀе йолчу тайпанан наха Везачу Элан тӀорказ а, дашо суьрташ чохь долу гӀутакх а вордана тӀера охьа а даьккхина, боккхачу тӀулга тӀе охьахӀоттийнера. Байт-Шамашерачу бахархоша цу дийнахь Везачу Элана лерина долу дагоран а, кхидолу а сагӀанаш дехира.</verse>
				<verse number="16">ПӀелаштамхойн пхеа куьйгалхочунна и мел дерг а гира. Оццу дийнахь Ӏекхран-гӀала юхабирзира уьш.</verse>
				<verse number="17">ПӀелаштамхоша шайн Далла хьалха болу бехк токхуьйтуш сагӀина даийтина долу суьрташ дара: цхьаъ — Ашдод-гӀалин цӀарах, важа — Ӏази-гӀалин цӀарах, важа цхьаъ — Ашкхилун-гӀалин цӀарах, кхин цхьаъ — Гати-гӀалин цӀарах, ткъа кхин цхьаъ — Ӏекхран-гӀалин цӀарах.</verse>
				<verse number="18">Ткъа дашо дехкий хӀора пӀелаштамхойн гӀалин куьйгалхочун цӀарах хилла ца Ӏаш, хӀора чӀагӀйинчу гӀалин цӀарах а, дӀайиллина лаьттачу яртийн а цӀарах дара. Везачу Элан деза тӀорказ тӀехӀоттийна хилла болу тӀулг хӀинца а байт-шамашхо волчу ЮшаӀан аренгахь Ӏуьллуш бу, цигахь хиллачунна тоьшалла а деш.</verse>
				<verse number="19">Байт-Шамашерачу бахархошна Дала чӀогӀа таӀзар дира, уьш Везачу Элан дезачу тӀорказ чу хьаьжна аьлла. Цо кхузткъе итт стаг вийна хилла и бахьана долуш. Цу тайпана чӀогӀа таӀзар Везачу Эло шайна дича, адам дилхира.</verse>
				<verse number="20">Байт-Шамашерачу бахархоша элира: «Везачу Элана хьалха латта мила хьакъ ву? Иза Сийлахь Дела ма ву! Вай долчуьра хьанна тӀе хьур ду Везачу Элан деза тӀорказ?»</verse>
				<verse number="21">Кхиръят-ЯӀарим цӀе йолчу гӀала бахийтина цара шайн геланчаш хабар эцна: «ПӀелаштамхоша Везачу Элан тӀорказ юхадаийтина. Схьа а дуьйлий, иза шайга дӀахьо», — аьлла.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="7">
				<verse number="1">Кхиръят-ЯӀарим-гӀаларчу бахархоша Везачу Элан деза тӀорказ, схьа а эцна, гуна тӀехь лаьтташ долчу Абинадабан цӀа чу схьадеара. Цул тӀаьхьа цуьнан кӀант ЭлиӀазар Везачу Элан тӀорказна дола дан къобалвира.</verse>
				<verse number="2">И деза тӀорказ Кхиръят-ЯӀариме кхаьчна дуккха а хан елира — ткъа шо гергга. Исраилан халкъ Веза Эла лоьхуш дара.</verse>
				<verse number="3">Шамъала дерриге а Исраилан халкъе элира: «Шу доггах Везачу Элана тӀедерзахь, аша кхечу къаьмнийн деланаш шайн дага чуьра дӀабаха беза. Аша Ӏаштарт цӀе йолчу далла бина болу цӀуш дӀабаха беза. Шайн дегнашца шу Везачу Элана тӀедерза, Цунна цхьанна гӀуллакх а де. ТӀаккха Цо шу пӀелаштамхойн баланех кӀелхьардохур ду».</verse>
				<verse number="4">Исраилхоша БаӀалан а, Ӏаштартан а цӀуш дӀабехира. Уьш Везачу Элана бен гӀуллакх а ца деш дӀабуьйлабелира.</verse>
				<verse number="5">Шамъала элира: «Массо а исраилхой МицӀпа-гӀалахь схьагулбе. Аса Везачу Эле сайн доӀанна тӀехь шу доьхур ду».</verse>
				<verse number="6">Массо а исраилхой МицӀпа-гӀалахь схьагулбелира. Хи, схьа а оьцуш, Везачу Элана хьалха охьадуттура цара. Массо а цу дийнахь марха кхобуш вара. Цара бохура: «Везачу Элана хьалха оха къинош латийна». Шамъал МицӀпа-гӀалахь царна юкъахь кхел еш вара.</verse>
				<verse number="7">Шайна исраилхой МицӀпа-гӀалахь гулбеллийла хиъча, пӀелаштамхой, шайн куьйгалхой коьртехь а болуш, исраилхошна тӀелата кечбелира. Иза шайна дӀахиъча, исраилхой чӀогӀа кхерабелира.</verse>
				<verse number="8">Цара Шамъале дехар дира: «Вайн Везачу Деле хьайн доӀанна тӀехь, тхо пӀелаштамхойх кӀелхьардаха бохуш, доьхучуьра саца ма сацахьара хьо!» — аьлла.</verse>
				<verse number="9">Шамъала, бекхачуьра къастоза болу Ӏахар схьа а эцна, цунах Везачу Элана лерина долу сагӀа даьккхира, Исраилан халкъана гӀо доьхуш. Цуьнан доӀа Везачу Элана дӀахезира.</verse>
				<verse number="10">Шамъала сагӀа доккхучу хенахь пӀелаштамхой исраилхошца тӀом бан баьхкира. Амма Везачу Эло пӀелаштамхошна тӀехь чӀогӀа стигал къовкъийра, уьш инзар а бохуш. Цуьнан гӀоьнца уьш исраилхоша эшийра.</verse>
				<verse number="11">Цара пӀелаштамхой МицӀпа-гӀалара лаьхкина, хӀаллакбеш, Байт-Кара кхаччалц дӀабигира.</verse>
				<verse number="12">Цул тӀаьхьа Шамъала, тӀулг схьа а эцна, иза МицӀпаний, Шан-юртаний юккъе охьабиллира. Цу тӀулган цӀе Абани-Ӏазар тиллира цо (иза «гӀо ден тӀулг» бохург ду). Шамъала элира: «Везачу Эло хӀокху метте кхаччалц вайна гӀо дина».</verse>
				<verse number="13">Иштта дӀатебина хилла пӀелаштамхой. Уьш кхин Исраилан махкана тӀелата оьхуш а ца хилла. Шамъалан куьйгалла исраилхошна тӀехь мел ду, Везачу Эло пӀелаштамхошна тӀера Шен куьг дӀадоккхуш ца хилла.</verse>
				<verse number="14">Исраилхоша Ӏекхрана тӀера дуьйна Гати-гӀалина тӀе кхаччалц Ӏохкуш йолу шайн гӀаланаш а, царна гонахьара меттигаш а схьаехира пӀелаштамхошкара. Исраилхошний, эмархошний юккъехь машар дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="15">Ша мел веха Шамъал Исраилан мехкан куьйгалхо хилла лелла.</verse>
				<verse number="16">ХӀора шарахь, махкахула волалой, Бетал-гӀала а, Галгала а, МицӀпа-гӀала а кхочуш хилла иза. Цу массо а меттигашкахь исраилхошна юкъахь кхел еш, нийсо еш хилла цо.</verse>
				<verse number="17">Цигахула ша чекхваьлча, иза Раме дӀавоьдуш хилла. Цигахь дара цуьнан цӀа, цигахь йора цо Исраилан халкъана юкъахь кхел. Кхузахь цо Везачу Элана лерина долу сагӀа доккху меттиг кечйира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="8">
				<verse number="1">Шамъала ша къанвеллачу хенахь шен кӀентий Исраилан махкахь кхелахой бина дӀахӀиттийра.</verse>
				<verse number="2">Воккхаха волчун цӀе Юал хилла, шолгӀачун цӀе Аби-ЯхӀу хилла. Уьш Беар-ШабаӀ цӀе йолчу гӀалахь кхелахой хилла.</verse>
				<verse number="3">Амма Шамъалан кӀентий шайн дас дӀакхехьначу новкъахула лелаш ца хилла. Цара кхаьънаш ийдеш хилла, къайлаха ахча схьа а оьций, харцкхелаш еш хилла.</verse>
				<verse number="4">Массо а Исраилан къано схьа а гулвелла, уьш Шамъал волчу Раме баьхкира.</verse>
				<verse number="5">Цара элира: «Хьо воккха хилла, ткъа хьан кӀентий ахьа схьабеанчу некъа тӀера галбевлла. Ахьа тхуна тӀехь паччахь дӀахӀоттавойла луур дара тхуна, цо тхайна тӀехь куьйгалла дойла а луур дара, вукху къаьмнашна тӀехь ма-дарра».</verse>
				<verse number="6">Шамъална ца дезаделира цара шега паччахь дӀахӀоттаве алар. ТӀаккха иза Везачу Эле доӀа дан хӀоьттира.</verse>
				<verse number="7">Цо жоп делира: «Хьайга наха бохург де. Цара дӀатеттинарг хьо вац, Со ву. Царна ца лаьа Аса шайна тӀехь паччахьалла дойла.</verse>
				<verse number="8">Аса уьш Мисар-махкара арабехира. Амма уьш, Со дӀа а теттина, кхечу деланашна гӀуллакх дан хӀиттира. Иштта гӀиллакх хьоьца а хӀоттийна цара.</verse>
				<verse number="9">Цаьрга ла а догӀий, цара бохург де. Амма нахе мел дерг а ма-дарра дӀахьеде, паччахьан бакъонаш муха ю царна дӀа а дуьйцуш».</verse>
				<verse number="10">Шамъала шена Везачу Эло делла долу жоп ма-дарра дӀахаийтира паччахь воьхуш ша волчу схьагулбеллачаьрга.</verse>
				<verse number="11">Цо цаьрга элира: «ХӀара ду шуна аша воьхуш волчу паччахьо ден дерг: шун кӀентий дӀа а бигина, цо уьш шена гӀуллакх дан дӀахӀиттор бу шуна. Цо уьш шен гӀудалкхашна тӀехь эскаран гӀуллакх дан дӀахӀиттор бу, царах дошлой а бийр бу. Ткъа цхьаберш цуьнан гӀудалкхана хьалха уьдуш лелар бу.</verse>
				<verse number="12">Цхьаболчарах цо цхьа эзар эскархочунна тӀехь куьйгалхой бийр бу, вукхарах — шовзткъе итт эскархочунна тӀехь. Паччахьо цхьаберш шена ялта кхио дӀахӀиттор бу, вуьш эскархойн гӀирс кечбеш, гӀудалкхийн цхьацца меженаш кечъеш хир бу.</verse>
				<verse number="13">Паччахьо шун зудабераш дӀадуьгур ду, шена хаза хьожа йогӀу хьакхарш деш, яа хӀума кечъеш, бепиг доттуш гӀуллакх дайта.</verse>
				<verse number="14">Паччахьо шун тоьлла долу кхаш а, кемсийн бошмаш а, зайт-диттийн бошмаш а, шуьгара дӀа а яьхна, шен гонах болчарна дӀайоькъур ю.</verse>
				<verse number="15">УьтталгӀа дакъа дӀадийначу лаьтта тӀера а, кемсийн бешара а аша схьаэцначух цо шуьгара дӀа а даьккхина, шена уллорачарна а, кхин болчу ялхошна а дӀалур ду.</verse>
				<verse number="16">Шун зударех а, божарех а болу леш а, уггар тоьлушха болу кегий нах а, варраш а — дерриге а паччахьо дӀадуьгур ду шена гӀуллакх дайта.</verse>
				<verse number="17">Кегийрачу бежанех уьтталгӀа дакъа, дӀа а даьккхина, дӀадуьгур ду. Ткъа шух цо шен леш дийр ду.</verse>
				<verse number="18">Цу хенахь аша, шаьш хаьржина волчу паччахьан куьйга кӀелара дӀадаха бохуш, Деле орца дохур ду, амма Везачу Эло шун доӀанна жоп лур дац».</verse>
				<verse number="19">Амма наха Шамъале ла ца дуьйгӀира. Цара бохура: «ХӀан-хӀа! Тхуна тхайна тӀехь куьйгалла дан паччахь веза.</verse>
				<verse number="20">ТӀаккха бен хир дац тхо важа къаьмнаш санна. Тхан паччахьо тхуна тӀехь куьйгалла дийр ду, тӀемашкахь иза, тхуна хьалха а ваьлла, куьйгалла деш а лелар ву».</verse>
				<verse number="21">Шамъала, гулбеллачара дуьйцучуьнга ла а доьгӀна, Везачу Эле иза дӀадийцира.</verse>
				<verse number="22">Цо цунна жоп делира: «Ахьа цаьрга ладогӀа деза! ДӀахӀоттаве царна тӀехь паччахь». ТӀаккха Шамъала Исраилан халкъе элира: «Шу хӀинца шайн-шайн гӀала дӀагӀо».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="9">
				<verse number="1">Къуша Бен-Яманан тайпанах схьаваьлла хилла. Иза ша Абуалан кӀант хилла, ткъа Абуал Царарин кӀант хилла. Царар — Бахрутин кӀант, ткъа Бахрути бен-яманхо волчу Апахьин кӀант хилла. Ткъа Къуша ша махкахь цӀе яхана стаг хилла.</verse>
				<verse number="2">Цуьнан, Шаул цӀе а йолуш, чӀогӀа хаза кӀант хилла. Исраилан махкахь цул хаза цхьа а стаг ца хилла. Иза чӀогӀа лекха а хилла. Цунна гонах мел верг цуьнан белше бен кхочуш ца хилла.</verse>
				<verse number="3">Шаулан ден Къушин цхьайолу виркхелаш яйна хилла. Къушас Шауле элира: «Хьайца цхьа ялхо а эций, ваха а гӀой, виркхелаш хьайна карайойла хьажа».</verse>
				<verse number="4">Уьш Эпраман лаьмнаш тӀехула а, Шалшин латтанашкахула а, ШаӀлиман латтанашкахула а хьоьжуш лийлира, амма виркхелаш царна ца карийра. Бен-Яманан латтанашкахь а лийхира цара уьш, амма виркхелаш цхьанхьа а яцара.</verse>
				<verse number="5">Шаьш Цупин лаьтта тӀе кхаьчча, Шаула шен ялхочуьнга элира: «ЮхагӀо вайшиъ, сан дега, шен виркхелаш йиц а йина, вайшиъ бахьана долуш са ца гатдайта».</verse>
				<verse number="6">Амма ялхочо цуьнга элира: «ХӀокху гӀалахь наха чӀогӀа лоруш а волуш Делан стаг ву Ӏаш. Цо мел аьлларг кхочушхуьлу. Вайшиъ иза волчу вахча, цо вайшиъ нийсачу новкъа ваккха мегара».</verse>
				<verse number="7">Шаула шен ялхочуьнга элира: «Ваха-м гӀур вара вайшиъ иза волчу, амма цунна яхьа хӀума ма яц: тӀоьрмаг чуьра бепиг а кхачийна, цунна дала цхьа а тайпа совгӀат а дац вайгахь. Цу Делан стагана вай хӀун лур ю?»</verse>
				<verse number="8">Ялхочо цунна жоп делира: «Соьгахь шекхалан доьалгӀа дакъа хиллал дети ду. Иза аса цунна дӀалур ду, ткъа цо вайшиъ нийсачу новкъа воккхур ву».</verse>
				<verse number="9">(Хьалха, Исраилан махкахь, нагахь санна цхьаъ Делера хаам хиларе сатуьйсуш велахь, олуш хилла: «Вало, Делера дерг гуш верг волчу гӀо вай», — хӀунда аьлча цу хенахь пайхамарех «хиндерг гуш болу нах» олура.)</verse>
				<verse number="10">Шаула шен ялхочуьнга элира: «Ахьа дика боху. Воьду вайшиъ». Уьш Делан стаг волчу гӀала дӀабахара.</verse>
				<verse number="11">ГӀала боьдучу новкъахула ирхехьа уьш хьалабовлуш, царна дуьхьал кхийтира хитӀе доьлхуш долу зудабераш. Цу шиммо цаьрга хаьттира: «Кхузахь Ӏаш вуй Делера дерг гуш волу стаг?»</verse>
				<verse number="12">Цара, жоп луш, элира: «Иза шуна хьалха дӀавоьдуш ву. Сихлолаш, хӀунда аьлча иза тахана кхуза веана, наха хьуьлла гу тӀехь сагӀа доккхуш долу дела.</verse>
				<verse number="13">Шаьшшиъ гӀала чукхаьчча, иза волчу гӀо, цу гу тӀехь доккхуш долчу сагӀанах кхетархьама дӀавахаза хила а мега шуна иза. Схьагулбелла болу нах хӀума яа буьйлалур бац, иза схьаваллалц. Цо сагӀа даккхар декъалдаллалц, цига кхайкхинчара а ца йоу хӀума. Сихло, иза цига дӀавахаза хила а мега шуна».</verse>
				<verse number="14">Уьш гӀала дӀабахара. ГӀали дӀакхаьчначул тӀаьхьа царна дуьхьалвогӀуш вара сагӀа доккхучу ваха араваьлла волу Шамъал.</verse>
				<verse number="15">Шаул схьакхачале цхьа де хьалха Делера хаам хиллера Шамъале:</verse>
				<verse number="16">«Кхана хӀоккху хенахь Аса Бен-Яманан лаьттара хьуна тӀе цхьа стаг воуьйтур ву. Ахьа иза, Сан къомана куьйгалхо хилийта, цунна тӀе даьтта дуттуш, къобалван веза. Цо Исраилан халкъ пӀелаштамхойх кӀелхьардоккхур ду. Со диканца хьаьжна Сайн къоме, хӀунда аьлча цуьнан узарш Суна схьахезна ду».</verse>
				<verse number="17">Шаул гинчу Шамъале Везачу Эло элира: «ХӀара ву хьуна Аса хьоьга вийцинарг. Цунах Сан къомана куьйгалхо хир ву».</verse>
				<verse number="18">Шамъал гӀалин кевнна тӀекхаьчча, Шаула, тӀе а вахана, цуьнга хаьттира: «Хиндерг гуш волчу стеган цӀа мичахь ду?»</verse>
				<verse number="19">Шамъала цуьнга жоп делира: «Со ву Делера дерг гуш верг. Суна хьалха а валий, хьуьлларчу гуна тӀе хьалавала. Тахана соьца яа хӀума юур ю аша. Аса Ӏуьйранна дӀавохуьйтур ву хьо, хьан дагахь мел дерг хьоьга дӀа а эр ду.</verse>
				<verse number="20">Кхо де хьалха яйна йолчу виркхелашна са ма гатде. Уьш схьакарийна. Хьо вуй те Исраилан халкъо воьхуш верг? Адам хьоьга а, хьан ден цӀийне а хьоьжуш ма ду».</verse>
				<verse number="21">Шаула элира: «Бен-Яманан тайпанах ма ву со. Исраилхойн тайпанашна юкъахь жимачарах ду иза. Цу тайпанна юкъара тхан гара уггар а жимаха ма ду. Ахьа иза соьга хӀунда боху?»</verse>
				<verse number="22">Шаьш гу тӀе хьалабевллачул тӀаьхьа Шамъала Шауллий, цуьнан ялхой сов цӀа чу бехира, кхайкхина волчу ткъе итт стагана юкъахь хьалхара меттигаш царна дӀа а елира.</verse>
				<verse number="23">Шамъала яа хӀума кечъеш волчуьнга элира: «Аса хьайга: „Хьо волчохь дӀадилла“, — аьлла долу жижиган дакъа схьада».</verse>
				<verse number="24">Цо ша ма-дарра гӀогӀ схьа а деъна, Шаулна хьалха охьадиллира. Шамъала элира: «ХӀара хьуна дитина ду. Хьайна хьалха охьа а диллий, даа и. Иза нах схьакхойкхучу хенахь хьуна леррина дитина дара». Цу дийнахь Шаул Шамъалца хӀума юуш Ӏийра.</verse>
				<verse number="25">Гуна тӀера охьа а биссина, уьш гӀала схьабаьхкира. Шамъал Шаулаца тхов тӀехь дуккха а къамел деш Ӏийра.</verse>
				<verse number="26">Малх схьакхетачу хенахь уьш хьалагӀевттира. Шамъал Шауле тхов тӀе хьала кхайкхира: «Кечло, Аса новкъа воккхур ву хьо». Шаул, хьала а гӀаьттина, Шамъалца кертара аравелира.</verse>
				<verse number="27">ГӀалин йисте кхаьчча, Шамъала Шауле элира: «Хьайн ялхочуьнга, вайна хьалха а валий, дӀаволало ала». Ялхо, хьалха а ваьлла, дӀаволавелира. «Ткъа хьо хӀинца саца. Аса хьуна хоуьйтур ду Дала сайга аьлларг».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="10">
				<verse number="1">Шамъала, зайтдаьтта чохь долу пхьегӀа схьа а эцна, цу чуьра даьтта Шаулна коьрта тӀе доьттира. Цунна оба а яьккхина, цо элира: «Везачу Эло Шен тӀаьхьенна тӀехь куьйгалхо ван хьо къобалвина.</verse>
				<verse number="2">Тахана хьо со волчуьра дӀавоьдуш, Бен-Яманан латтанашкарчу ЦӀелцӀахь олучу меттехь, Рахьалан кошана уллохь цхьа ши стаг гур ву хьуна. Цара хьоьга эр ду: „Ахь лоьхуш хилла йолу и виркхелаш схьакарийна. Хьан да, виркхелаш йиц а елла, чӀогӀа сагатдеш ву: ‘Сан кӀант цӀа верзаван аса хӀун дан деза техьа?’ — бохуш“.</verse>
				<verse number="3">Цигара ваьлча, хьо кхочур ву Табур-гӀалара ножан дитт долчу. Цигахь хьуна гур ву Далла лерина сагӀа даккха Бетал-гӀала воьдуш волу кхо стаг. Царах цхьаьнгахь кхо буьхьиг хир ю, вукхуьнгахь кхо бепиг хир ду, кхозлагӀачуьнгахь чагӀар чохь долу пӀаьлдиг хир бу.</verse>
				<verse number="4">Цара хьоьга маршалла хоттур ду, хьуна ши бепиг а лур ду. Ахьа уьш цаьргара схьаоьцур ду.</verse>
				<verse number="5">Цул тӀаьхьа ГебаӀ-гӀаларчу сагӀа доккху барз болчу кхочур ву хьо. Цигахь пӀелаштамхойн тоба хир ю гӀаролехь лаьтташ. Хьо гӀали чу ваьлча, хьуна масех пайхамар гур ву барза тӀера охьавогӀуш. Уьш, вота а, зурма а, тайп-тайпана дечиган пондарш а лоькхуш, шовкъ а еана, Делера болу хаамаш беш хир бу.</verse>
				<verse number="6">Хьуна тӀе Везачу Элан Са охьадуссур ду. Цул тӀаьхьа цаьрца ахьа а, шовкъ а еана, Делера болу хаамаш бийр бу. ТӀаккха хийца а велла, хьох керла адам хир ду.</verse>
				<verse number="7">ХӀара билгалонаш хьайна тӀехь кхочушхиллачул тӀаьхьа хьайга далург де, хӀунда аьлча хьоьца Дела ву.</verse>
				<verse number="8">Сол хьалха а валий, Галгала дӀагӀо. Со а дӀавогӀур ву цига, дийнаташ дагоран сагӀанаш а, барт баран сагӀанаш а дахархьама. ВорхӀ дийнахь соьга хьоьжуш Ӏе, тӀаккха аса эр ду хьоьга, хӀун дан деза».</verse>
				<verse number="9">Шаула Шамъал волчуьра дӀаваха букъ берзошшехь, Дала цунна керла дог делира, ткъа и ерриге билгалонаш цу дийннахь кхочушхилира.</verse>
				<verse number="10">Уьш ГебаӀ-гӀаларчу сагӀа доккхучу барза тӀе бевлча, царна масех пайхамар дуьхьалкхийтира, Шаулна тӀе Делан Са охьа а доьссира. Иза а цаьрца, шовкъ а еана, Делера хаамаш беш дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="11">Шаул хьалха вевзаш хиллачара, шайна хӀара пайхамаршна юккъехь, цара дийриг а деш, воллуш гича, вовшашка хоьттура: «ХӀун хилла Къушин кӀантана? Шаулах а пайхамар хилла техьа?»</verse>
				<verse number="12">Царна юккъехь волчу цхьаммо элира: «Ткъа цу пайхамарийн дай муьлш бу?» ХӀетахь дуьйна схьа олуш ду: «Шаул а ву техьа пайхамаршна юкъахь?»</verse>
				<verse number="13">Шовкъ еъначуьра ша юхавирзича, иза сагӀа доккхучу барза тӀе хьалавелира.</verse>
				<verse number="14">Шаулан ден вашас хаьттира цуьнгий, цуьнан ялхочуьнгий: «Шу стенга дахнера?» Шаула жоп делира: «Виркхелаш лаха дахнера. Уьш тхайна ца карийча, Шамъал волчу даьхкинера тхо».</verse>
				<verse number="15">Ден вашас юха а хаьттира: «Схьадийцахьа, хӀун элира шуьга Шамъала?»</verse>
				<verse number="16">Шаула жоп делира: «Шамъала тхоьга хаам бира, виркхелаш схьакарийна аьлла». Амма Шамъала шега паччахьаллех лаьцна дийцинарг цо дӀа ца дийцира.</verse>
				<verse number="17">Шамъала дерриг а Исраилан халкъ Веза Эла волчу МицӀпе схьакхайкхира.</verse>
				<verse number="18">Цо халкъе элира: «Исраилан халкъан Везачу Дала боху: „Аса шу, Мисар-махкара ара а даьхна, мисархойн куьйга кӀелара схьа а даьхна, кхечу паччахьийн Ӏазапера кӀелхьара а даьхна“.</verse>
				<verse number="19">Ткъа аша хӀинца шайн Дела дӀатесна, Цо шаьш массо а балех кӀелхьардохуш хилла доллушехь. Аша Цуьнга элира: „Тхуна тӀехь паччахь хӀоттаве“. ХӀинца Везачу Элана хьалха, шайн тайпанаш а, гаранаш а билгал а дахий, дӀахӀитта».</verse>
				<verse number="20">Шамъала Исраилан халкъан дерриг тайпанаш шена тӀе даладайтира. Царна юккъера Бен-Яманан тайпа къастийра цо.</verse>
				<verse number="21">ТӀаккха цу тайпанах болчу нахе шайн гаранашца тӀедуьйла элира цо. Царна юкъара МатӀарин гара хаьржира. ТӀаьххьара а Къушин кӀентан Шаулан цӀе яьккхира. Амма Шаул лаха хӀиттича, иза кара ца вора.</verse>
				<verse number="22">ТӀаккха цара Везачу Эле юха а хаьттира: «ВогӀур вуй кхин цхьа а кхуза?» ТӀаккха Везачу Эло жоп делира: «ВогӀур вац. Шаул хьуьлла аша шайца схьаеана йолчу хӀуманаш юккъехь лечкъина Ӏаш ву».</verse>
				<verse number="23">Наха, бевдда цига а бахана, Шаул цу хӀуманаш юккъера схьаваьккхира. Иза нахана юккъе дӀахӀоьттича, уьш цунна белше бен ца кхочура.</verse>
				<verse number="24">Шамъала халкъе элира: «Гой шуна, Везачу Эло мила хаьржина? И санна верг дерриг халкъана юкъахь кхин вац». ТӀаккха наха мохь бетташ бохура: «Декъала хуьлда паччахь!»</verse>
				<verse number="25">Шамъала нахе йийцира паччахьан бакъонаш. Цу бакъонах лаьцна тептар а яздина, иза Везачу Элана хьалха охьадиллира. Цо нах хӀора шен-шен цӀа дӀабахийтира.</verse>
				<verse number="26">Шаул а ГебаӀе шен цӀа вахара. Цуьнца Дела шайн дага чу вижна болу майра нах а бара.</verse>
				<verse number="27">Ткъа вочу наха бохура: «Цуьнга дахалур ду вай кӀелхьара?» Уьш цунах баша а ца бешира, я цунна совгӀаташ а ца кховдийра. Цара и сурт хӀоттийнехь а, Шаула цу нахе хӀумма а ца элира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="11">
				<verse number="1">Ӏамминхойн паччахь волчу Нахьаша, шен эскархошца схьа а веана, ГалӀадерчу Явеш-гӀалина го бира. Массо а цу гӀаларчу бахархоша Нахьаше элира: «Тхоьца барт бе, ткъа тхо хьуна гӀуллакх деш лелар ду».</verse>
				<verse number="2">ТӀаккха Нахьаша цаьрга элира: «Аса шуьца барт бийр бу, амма шуна цхьа декхар тӀе а дожош: шун хӀораннан а аьтту бӀаьрг баккхарца дерриг а Исраилан халкъ юьхьӀаьржачу хӀоттор ду ас».</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха Явеш-гӀаларчу къаноша цуьнга элира: «Тхуна ворхӀ де хан лахьара ахьа, Исраилан махка массо а маьӀӀе геланчаш бахийта. Нагахь цхьаммо а тхуна гӀо ца дахь, тхо хьуна тӀе догӀур ду».</verse>
				<verse number="4">Геланчаш Шаул Ӏаш волчу ГебаӀ-гӀала баьхкира. Цара шайна тӀехӀоьттинарг дерриг а халкъана дӀадийцира. Массо а адам, мохь хьоькхуш, делха доладелира.</verse>
				<verse number="5">Стерчашна тӀаьхьа а хӀоьттина, аренгара цӀа вогӀуш хилла Шаул. Цо хаьттира: «Адамашна хӀун хилла? Уьш стенна боьлху?» Цунна Явеш-гӀалара баьхкинчара деанарг дӀадийцира.</verse>
				<verse number="6">И хӀума цунна дӀа-ма-дийццинехь, Делан Са Шаулна тӀе Шен ницкъаца охьадоьссира. Шаул чӀогӀа оьгӀазвахара.</verse>
				<verse number="7">Цо, ши сту схьа а лаьцна, царах дакъош а дина, уьш Исраилан мехкан массо а маьӀӀе цу геланчашка дӀасадахьийтира, массарна дӀа а хоуьйтуш: «Иштта доькъур ду Шауланий, Шамъаланий тӀаьхьа ца хӀиттинчеран стерчий», — аьлла. Адам Везачу Элах а, Цо ницкъ беллачу Шаулах а чӀогӀа кхераделира. Массо а адам, цхьаъ санна хилла дӀахӀоьттина, цунна тӀе дахара.</verse>
				<verse number="8">Шаула Безакх-гӀалахь уьш схьагулбира: Исраилан махкара кхо бӀе эзар стаг вара, ЯхӀуд-махкара ткъе итт эзар стаг а вара.</verse>
				<verse number="9">Цара геланчашка элира: «ГалӀадерчу Явеш-гӀалин бахархошка дӀаала: „Кхана малх схьакхеттачул тӀаьхьа царна гӀо кхочур ду“». Геланчаша, юха а баьхкина, иза нахе дӀаэлира. Уьш чӀогӀа гӀадбахнера.</verse>
				<verse number="10">Явеш-гӀалин бахархоша Ӏамминхошка элира: «Тхо кхана дӀадогӀур ду. Шайна дан луург дийр ду-кх аша тхуна».</verse>
				<verse number="11">ШолгӀачу дийнахь схьагулделла долу халкъ Шаула кхаа тобане дийкъира. Ӏуьйранна, сахилале, уьш Ӏамминхойн меттаматтана юккъе лилхира, делкъахан тӀекхачале цара уьш эша а бира. ТӀаьхьабисинарш, шиъ цхьаьна воцуш, дӀасабевдира.</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха халкъо Шамъале элира: «Мила ву: „Шаула дийр дара тхуна тӀехь паччахьалла?“ — баьхнарг? Схьало уьш тхоьга, оха уьш бойур бу!»</verse>
				<verse number="13">Амма Шаула элира: «Таханлерчу дийнахь цхьа а стаг вен йиш яц: тахана Везачу Эло Исраилан халкъ кӀелхьардаьккхина!»</verse>
				<verse number="14">Шамъала халкъе элира: «Дуьло, Галгала дӀагӀо вай, юха а паччахьалла дӀахӀоттор ду вай».</verse>
				<verse number="15">Дерриг а адам Галгала дӀадахара. Цигахь, Везачу Элана хьалха, Шаул, паччахь веш дӀа а хӀоттийна, Делаца барт беш сагӀанаш дехира цара. Шаулан а, дерриге а Исраилан халкъан а чӀогӀа самукъаделира цу дийнахь.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="12">
				<verse number="1">Шамъал дерриге а Исраилан халкъе вистхилира: «Аша мел аьллачуьнга ла а доьгӀна, ас шуна тӀехь паччахь дӀахӀоттийна.</verse>
				<verse number="2">Иза хӀинца шуна тӀехь лаьтташ ву. Ткъа со къан а велла, къеж а велла. Делахь а сан кӀентий шуьца бу. Со шун коьртехь лаьттина жима волуш дуьйна, хӀара хан тӀекхаччалц.</verse>
				<verse number="3">Со хӀинца шуна хьалха ву. Везачу Элана а, Цо къобалвинчунна а хьалха тоьшалла дан мегар ду шуна соьгара даьллачу гӀалаташна. Шуьгара цхьаьнггара а сту я вир схьаяьккхиний аса? Шуна цхьанна а халахетар диний, гӀело йиний? Я кхаьънаш оьцуш, шуьгара даьллачунна тӀехь сайн ши бӀаьрг дӀакъевлина аса? Схьаала соьга, иза аса шуна юхадерзор ду».</verse>
				<verse number="4">Исраилхоша жоп делира: «Ахьа тхуна хала а ца хетийтина, я гӀело а ца йина, я тхоьгара цхьаьнггара а кхаьънаш а ца эцна».</verse>
				<verse number="5">Шамъала цаьрга элира: «Везачу Элана а, Цо къобалвинчунна а хезаш ду тахана аша со бахьана долуш дина долу тоьшалла. Царна гуш ду соьгара къилахь долу хӀума ца даьллийла». «Веза Эла теш ву», — элира цара.</verse>
				<verse number="6">ТӀаккха Шамъала нахе элира: «Веза Эла ву Муса а, АхӀарон а ДӀахӀоттийнарг, шун дай Мисар-махкара Арабаьхнарг.</verse>
				<verse number="7">Шу кхузахь совца. Аса хӀинца Везачу Элана хьалха шух бехк боккхур бу, Цо шуна а, шун дайшна а дина дика гӀуллакхаш дага а доуьйтуш.</verse>
				<verse number="8">Якъуб Мисар-махка дӀавахча, шун дайша Везачу Эле шайн бала дӀабелхийра. Везачу Эло Мусай, АхӀаронний вахийтира шун дайшна гӀо дан. ТӀаккха цушиммо, шун дай Мисар-махкара ара а баьхна, уьш кхузахь баха охьаховшийра.</verse>
				<verse number="9">Амма царна шайн Дела волу Веза Эла вицвелира. Царна дуьхьал тӀом бина болчу пӀелаштамхойн а, Муаби-мехкан паччахьан а, Хьацор-гӀалин тӀеман хьаькам волчу Сисрин а куьйга дӀабелира уьш Везачу Эло.</verse>
				<verse number="10">ТӀаккха уьш Везачу Эле, мохь а бетташ, дехарш дан буьйлабелира. Цара бохура: „Оха тхайх къа латийна. Веза Эла виц а вина, цӀушна БаӀалгӀарний, ӀаштартгӀарний гӀуллакх дан хӀиттира тхо. МостагӀчун карара тхо схьадахахьара Ахьа. ТӀаккха тхо, Везачу Элана тӀе а дирзина, Цунна гӀуллакх а деш, лелар дара“.</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха Везачу Эло ГадӀаний, Беданний, Яптаххьий, Шамъаллий, шуна гонах лаьттачу мостагӀех шу кӀелхьардаха аьлла, бахийтира. Цул тӀаьхьа шу, шайна гонахьара цхьа а кхерам боцуш, даха хевшира.</verse>
				<verse number="12">Амма Ӏамминхойн паччахь Нахьаш шайна дуьхьалваьлла гича, аша соьга элира: „Паччахье паччахьалла дайта тхуна тӀехь“, — Веза Дела шайн Паччахь воллушехь!</verse>
				<verse number="13">ХӀара ву шуна аша, воьхуш, хаьржина волу паччахь. Везачу Эло иза шуна тӀехь паччахь вина дӀахӀоттийна.</verse>
				<verse number="14">Аша шайн Веза Дела лара веза, Цунна гӀуллакх деш, Цуьнан дош лоруш а хила деза шу. Шу а, шун паччахь а Цунна муьтӀахь хилахь, шун дахар дика хир ду.</verse>
				<verse number="15">Амма Цуьнга ла а ца дугӀуш, Цо бохучунна шу, дуьхьал а дуьйлуш, дӀадуьйлалахь, Цуьнан куьг, шун дайшна санна, шуна дуьхьалдер ду.</verse>
				<verse number="16">Ткъа хӀинца, дӀа а хӀиттий, дика хьажа Везачу Эло шайн бӀаьргашна хьалха ден долчу доккхачу гӀуллакхе.</verse>
				<verse number="17">ХӀинца ялта хьокху хан ю вайна. Аса Везачу Эле доӀа дийр ду, юха Цо, стигал къовкъош, догӀа доуьйтур ду. Юха шуна хуур ду, мел доккха къа латийна аша Цунна хьалха, шайна паччахь воьхуш».</verse>
				<verse number="18">Шамъал Везачу Эле доьхуш кхайкхира. Везачу Эло, стигал а къовкъош, догӀа даийтира цу дийнахь. Дерриг а халкъ Везачу Элах а, Шамъалах а чӀогӀа кхераделира.</verse>
				<verse number="19">Цара Шамъале элира: «Хьайн Везачу Деле тхуна, Цуьнан лешна тӀера, доьхуш, доӀа дахьара ахьа, тхо ма дайа алахьара ахьа. Тхаьш летийначу къиношна тӀе кхин а цхьа къа латийна оха, тхайна паччахь а вехна».</verse>
				<verse number="20">Шамъала халкъе элира: «Ма кхера. И къа шу латийна девлла. Амма Везачу Элах дӀа ма херло, цӀеначу дагца Цунна гӀуллакх а де.</verse>
				<verse number="21">Кхин цкъа а хӀумма а йоцучу деланашна тӀе ма гӀерта. Церан шуна цхьа а тайпана дан гӀо дац, хӀунда аьлча уьш шаьш кӀад а йоцурш ю.</verse>
				<verse number="22">Шен цӀе ларъярхьама Везачу Эло Шен къам дӀатесна дуьтур дац, хӀунда аьлча Шен лаамца Цо, шу Шен къам ду аьлла, хаьржина.</verse>
				<verse number="23">Со а соцур вац шуна Везачу Эле доьхучуьра. И тайпана къа аса сайх латор дац. Аса шу нийсачу а, хьаналчу а новкъа дӀадаха Ӏамор ду.</verse>
				<verse number="24">Шу Везачу Элах кхералаш, шайн дерриг а дог тӀе а дерзадай, Цунна гӀуллакх а делаш. Шуна гина-кх, мел даккхий гӀуллакхаш дина Цо шу бахьана долуш.</verse>
				<verse number="25">Амма шу кхин а зуламаш деш лелахь, шу а, шун паччахь а, норо дӀахьокхуш йолу нехаш санна, хӀаллакдийр ду».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="13">
				<verse number="1">Цхьана шарахь паччахьалла дӀакхехьна Шаула. Исраилан паччахь ша волу шолгӀа шо дузучу хенахь,</verse>
				<verse number="2">цо кхо эзар исраилхо шена дӀахаьржина. Ши эзар стаг Шаулаца Бетал-ломана уллорачу Михмасехь вара, цхьа эзар стаг ЯхӀунатица Бен-Яманарчу ГибаӀ-гӀалахь вара, ткъа кхин болу нах Шаула шайн-шайн цӀа бахийтинера.</verse>
				<verse number="3">ЯхӀунатас ГибаӀ-гӀалахь гӀаролехь лаьтташ хилла йолу пӀелаштамхойн эскархойн тоба эшийна хилла. И хӀума пӀелаштамхошна дӀахиъна. Ткъа Шаула, уьстагӀан маӀа а локхуьйтуш, дӀакхайкхадайтина: «Ӏебархошна хезийла!» — аьлла.</verse>
				<verse number="4">Исраилан халкъана Шаула пӀелаштамхойн эскаран тоба эшийнийла а, Исраилан мохк церан луьра мостагӀа хилла дӀахӀоьттинийла а хиъча, халкъ Шаул волчу Галгал-гӀала схьагулделира.</verse>
				<verse number="5">Ткъа пӀелаштамхой исраилхошна дуьхьал тӀом бан кечбелира. Ткъе итт эзар гӀудалкх, ялх эзар говрахь волу тӀемало, кхин а дуккха а адам кечдира цара. ХӀордан йистера гӀум санна, дукха бара уьш. Схьа а баьхкина, Байт-Аванна малхбалехьа лаьтташ йолчу Михмасехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.</verse>
				<verse number="6">Исраилхой кхийтира шайн гӀуллакх чӀогӀа кхераме дуйла. Уьш, гуро лаьцча санна, Ӏаш бара. Цундела уьш хьехашна, чӀажашна, саьнгаршна чохь а, лаьмнашкарчу терхашна юккъехь а, гӀунаш чохь а дӀалечкъира.</verse>
				<verse number="7">Цхьаболу Ӏебархой, Йордан-хил дехьа а бевлла, ГалӀадан а, Гадин а долахь хиллачу мехкашка дӀабахара. Шаул цу хенахь а Галгалахь вара. Цуьнца цхьаьна долу адам, чӀогӀа кхераделла, доьхна дара.</verse>
				<verse number="8">Шамъала шега ма-аллара, ворхӀ дийнахь Галгалахь цуьнга хьоьжуш Ӏийра иза. Амма Шамъал, схьа ца вогӀуш, хьевеллера. Цундела адамаш дӀасаэха дуьйладелира.</verse>
				<verse number="9">Шаула элира: «Схьадаладе суна дийнаташ дагоран а, барт баран а сагӀина леринарг». Цо цигахь Везачу Элана лерина долу дийнаташ дагоран сагӀа даьккхира.</verse>
				<verse number="10">Амма иза и гӀуллакх дина ваьлла жимма хан ялале, Шамъал схьакхечира. Маршалла хатта цунна дуьхьалвахара Шаул.</verse>
				<verse number="11">Шамъала цуьнга хаьттира: «И хӀун ду ахьа динарг?» Шаула жоп делира: «Суна гира со волчуьра нах дӀауьдуш. Ткъа хьо, айхьа йиллинчу хенахь схьа ца вогӀуш, хьевеллера. ПӀелаштамхой Михмасехь, схьакхаьчна, лаьтташ бу.</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха аса ойла йира: „ПӀелаштамхой Галгала тӀамца чубогӀур бу, ткъа со хӀинца а Деле орца даккхаза ву“. Цундела аса дийнаташ дагоран сагӀа даьккхира».</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха Шамъала Шауле элира: «Ахьа иза чӀогӀа вон дина. Ахьа хьайн Везачу Дала хьайна тӀедиллинарг кхочуш ца дина. Иза хьоьгара ца даьллехь, Исраилан махкахь хьан паччахьалла Дала массо а ханна чӀагӀдийр дара,</verse>
				<verse number="14">амма хӀинца хьан паччахьалла лаьттар дац. Везачу Элана хьан метта Шен даго къобалвеш волу стаг карор ву, иза Цо Шен халкъана тӀехь баьчча вина дӀа а хӀоттор ву, хӀунда аьлча ахьа Везачу Эло хьайна тӀедиллинарг кхочуш ца дина».</verse>
				<verse number="15">Шамъал, хьала а гӀаьттина, шен новкъахула дӀавахара. ТӀаьхьабисинарш Шаул шен эскар долчу дӀавоьдучу хенахь цуьнца Галгалара Бен-Яманан ГебаӀ-гӀала дӀабахара, ткъа Шаула шеца бисина болу нах багарбира. Уьш ялх бӀе стаг ца кхоччуш вара.</verse>
				<verse number="16">Шаул шен кӀантаца ЯхӀунатица а, шаьшшинца бисина болчу нахаца а Бен-Яманан ГебаӀ-гӀалахь сецира, ткъа пӀелаштамхой шайн меттамотт лаьттачу Михмасехь бара.</verse>
				<verse number="17">Цигара пӀелаштамхойн эскаран кхо тоба араелира Исраилан мохк, басса а бина, хӀаллакбан. Царах цхьа тоба ШуӀал-аренна уллохь йолчу Ӏапру боьдучу новкъахула дӀаяхара,</verse>
				<verse number="18">ткъа важа тоба Байт-Хьороне боьдучу новкъа елира, ткъа кхоалгӀаниг яьссачу арехьа йолчу ЦебаӀим-аренан дозане боьдучу новкъахула дӀаяхара.</verse>
				<verse number="19">Берриге а Исраилан махкахь цхьа а аьчк-пхьар вацара, хӀунда аьлча пӀелаштамхой кхоьрура цара, и говзалла кара а ерзийна шайна тарраш а, гоьмукъаш а кечдарна.</verse>
				<verse number="20">Цундела массо а исраилхо пӀелаштамхой болчу эха дезаш хуьлура шайн хьонхалш а, белаш а, дагарш а, маьрсаш а ирдан.</verse>
				<verse number="21">ПӀелаштамхойн аьчк-пхьераша цхьа жима дато ахча доккхура хьонхалш а, белаш а ирйийриг. Цул жимма сов дато ахча доккхура дагаран иралла артъелча, я вед тоян езча.</verse>
				<verse number="22">Цундела Шаулаций, ЯхӀунатиций долчу халкъехь я тарраш а, я гоьмукъаш а дацара. Уьш Шаулехь шегахь а, цуьнан кӀантехь ЯхӀунатехь бен дацара.</verse>
				<verse number="23">ПӀелаштамхойн хьалхара тоба Михмасерачу лаьмнел дехьадовларе дӀаяхара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="14">
				<verse number="1">Цхьана дийнахь Шаулан кӀанта ЯхӀунатас шен герз лелош волчу ялхочуьнга элира: «Вало, дехьа агӀор лаьтташ йолчу пӀелаштамхойн тобанна тӀевоьду вайшиъ». Амма шен дега Шауле цо иза ца хаийтира.</verse>
				<verse number="2">Шаул ГебаӀ-гӀалин йистехь, МагӀран-гӀалин уллохь лаьтташ долчу наран дитт бухахь сецнера. Цуьнца цхьаьна ялх бӀе стаг а,</verse>
				<verse number="3">Шилунехь динан да а волуш, динан дайша лелош йолу еза ийпад йоьхна волу АхьъяхӀу а вара. (Иза вара Ахьтубин кӀант, ткъа Ахьтуби Ихвадин ваша вара, Шилунехь динан да хиллачу Ӏелин кӀентан Пайнехьасан кӀант.) Цигахь долчу халкъана ЯхӀуната дӀавахнийла ца хаьара.</verse>
				<verse number="4">ПӀелаштамхойн эскаран тоба йолчу хӀара шиъ дехьавала кечвеллачу новкъахь дехьай, сехьай лаьтташ чӀогӀа ира ши тарх яра. Цхьаннан цӀе БоцӀацӀ яра, вукхун цӀе Сенна яра.</verse>
				<verse number="5">Цхьа тарх къилбаседехьара Михмасана тӀейирзина лаьтташ яра, важа ГебаӀ-гӀалина къилбехьара тӀейирзина яра.</verse>
				<verse number="6">ЯхӀунатас шен герз лелош волчу ялхочуьнга элира: «Вало, оцу дин доцучу сунтбаза болчеран эскар долчу дехьа вер ву вайшиъ. Везачу Эло гӀо дан мега вайна, хӀунда аьлча Цунна хала дац вайна гӀо дан, вай мел делахь а».</verse>
				<verse number="7">Ялхочо кхуьнга элира: «Хьайн даго къобалдеш дерг де. Хьо миччанхьа водахь а, со хьоьца ву хьуна».</verse>
				<verse number="8">ЯхӀунатас элира: «Вайшиъ, уьш болчу дехьа а ваьлла, царна гуччохь дӀахӀуттур ву.</verse>
				<verse number="9">Цара вайшинга: „Тхо тӀедахккалц цигахь латта“, — алахь, вайшиъ, царна тӀе а ца воьдуш, Ӏадда лаьттар ву.</verse>
				<verse number="10">Нагахь санна цара: „Тхо долчу хьаладовла“, — алахь, вайшиъ хьалавер ву. Иза вайшинга Везачу Эло йина билгало хир ю, уьш вайшиннан кара схьабелла аьлла».</verse>
				<verse number="11">И шиъ, хьала а ваьлла, пӀелаштамхошна гуччохь дӀахӀоьттича, вукхара элира: «Ӏебархой шаьш дӀалечкъинчу чӀожа чуьра арабовлуш бу».</verse>
				<verse number="12">Эскаран тобанна юкъахь болчара кху шинга мохь туьйхира: «Хьаладовла тхо долчу, оха цхьа хӀума эр ду шуьга». ЯхӀунатас шен герз лелош волчу ялхочуьнга элира: «Суна тӀаьхьа схьавола. Уьш Везачу Эло исраилхошна кара схьабелла».</verse>
				<verse number="13">ЯхӀуната, когаш а, куьйгаш а дӀатуьйсуш, гунах хьалавала волавелира, цунна тӀехьа вогӀуш цуьнан герз лелош волу ялхо а вара. ХӀара шиъ пӀелаштамхошна тӀелетира. ЯхӀуната, хьалха а ваьлла, леташ вара, ткъа цо лазийнарш цуьнан ялхочо бойура.</verse>
				<verse number="14">Цу шиммо ткъа стаг вийра. Шина стеро цхьана дийнахь охун йолчу ах аренал йолчу меттехь хилира церан пӀелаштамхошца латар.</verse>
				<verse number="15">ТӀеман аренгахь болу пӀелаштамхой а, меттаматтахь лаьтташ болу эскархой а, хьалха дӀаяхийтина йолу эскархойн тобанаш а, чӀогӀа кхераелла, йоьхнера. Латта дегош дара. Везачу Эло уьш Ӏадийнера.</verse>
				<verse number="16">Бен-Яманан ГебаӀ-гӀалахь лаьтташ болчу Шаулан гӀаролхошна гира яьржина дӀасауьду адамийн тоба.</verse>
				<verse number="17">Шеца долчу адамашка Шаула элира: «Хьажал, вайна юкъара ара мила ваьлла». Уьш хьаьжна бевлча, царна хиира ЯхӀуната а, цуьнан ялхо а шайна юкъахь воцийла.</verse>
				<verse number="18">Шаула АхьъяхӀуга элира: «Схьадал Делан деза тӀорказ». Цу хенахь Делан деза тӀорказ исраилхошца дара.</verse>
				<verse number="19">Шаул динан деца къамел деш волчу хенахь пӀелаштамхой болчохь кхин а чӀогӀа гӀовгӀа елира. ТӀаккха Шаула динан дега элира: «Сацаде айхьа долийнарг».</verse>
				<verse number="20">Шеца мел хиллачу адамца тӀом лаьттинчу метте дӀавахара Шаул. ЧӀогӀа боьхна хьийзаш болчу пӀелаштамхойн эскархоша шайн тарраш вовшашна дуьхьал даьхна хилла. МостагӀий боьхна хьийзаш хилла.</verse>
				<verse number="21">Эццахь пӀелаштамхошна гӀуллакх деш цаьрца цхьаьна хилла болу Ӏебархой Шаулаций, ЯхӀунатиций хиллачу исраилхойх дӀакхетта.</verse>
				<verse number="22">Эпрайман лаьмнаш тӀехь дӀалечкъина мел хилла волу исраилхо, пӀелаштамхой уьдуш буйла хиъча, тӀом беш болчу исраилхойх схьакхетта.</verse>
				<verse number="23">Цу дийнахь Везачу Эло Исраилан халкъ кӀелхьардаьккхира, ткъа тӀом Байт-Аване кхаччалц дӀабаьржира.</verse>
				<verse number="24">Исраилхой чӀогӀа холчу хӀиттинера цу дийнахь. Шаула цаьрга аьллера: «НеӀалт хуьлийла, аса сайн мостагӀашна тховса бекхам бина хан тӀекхаччалц, баьпках мотт тухун болчунна». Цхьаммо а юучу хӀуманах мотт ца туьйхира.</verse>
				<verse number="25">Мел долу адам хьуьнах дӀадахара. Цигахь царна моз карийра.</verse>
				<verse number="26">Шаьш хьуьнна юккъе бахача, цара бохура: «Кхузахь охьаоьхуш моз ду». Амма цхьаммо а шен куьг бете ца даьхьира, хӀунда аьлча адам шен дуй къарбан кхоьрура.</verse>
				<verse number="27">ЯхӀунатина шен дас аьлларг ца хезнера. Цо шен карахь йолу гӀаж, дӀа а кховдийна, мезан улха юккъе а Ӏоьттина, цу тӀера моз дӀакхаьллира. Цуьнан ши бӀаьрг серлабелира.</verse>
				<verse number="28">Нахана юкъахь волчу цхьаммо цуьнга элира: «Хьан дас нахе чӀагӀо яйтина тахана яа хӀума ца яийта. Цо цаьрга аьлла: „НеӀалт хуьлийла тахана хӀума кхоллун волчунна“. Цундела ду адам чӀогӀа гӀелделла».</verse>
				<verse number="29">ЯхӀунатас цаьрга элира: «Сан дас халкъана дуьхьал шегара гӀалат далийтина. Хьажал сан серлабевллачу бӀаьргашка жимма и моз кхаллар бахьана долуш.</verse>
				<verse number="30">Тахана наха шайн мостагӀашкахь карийначух яа хӀума йиъна хиллехь, пӀелаштамхойн эшар кхин а чӀогӀа хир дара».</verse>
				<verse number="31">Цу дийнахь Михмасера дуьйна Айлоне кхаччалц исраилхоша эшийнера пӀелаштамхой. Уьш чӀогӀа кӀадбелла, гӀора дӀадаьлла бара.</verse>
				<verse number="32">ЧӀогӀа мацбелла болу уьш, шайна карабеанчу уьстагӀашна, стерчашна, эсашна тӀебетталуш, царна арсаш а хьоькхуш, уьш цӀийца цхьаьна дууш бара.</verse>
				<verse number="33">Шауле хаам бира: «Халкъ Везачу Элана хьалха къа латош ду, цӀийца цхьаьна хӀума юуш». Шаула цаьрга элира: «Аша шайх къа латийна. Схьатакхабе со волчу боккха тӀулг».</verse>
				<verse number="34">Цул тӀаьхьа цо элира: «Адамашна дӀахаийта: хӀораммо, со волчу шен сту я уьстагӀ схьа а балабеш, царна урс а хьокхуш, баа. Везачу Элана хьалха къинош ма летаде, цӀийца цхьаьна жижиг дууш». Наха хӀораммо а, шайн куьйгаца схьа а лоций, буьйсанна сту схьабалабора. Циггахь иза бен а боьра.</verse>
				<verse number="35">Шаула Везачу Элана сагӀа даккха меттиг кечйира. Иза яра цо дуьххьара кечйина йолу сагӀа доккху меттиг.</verse>
				<verse number="36">ТӀаккха Шаула элира: «Буьйсанна пӀелаштамхошна тӀаьхьадовла деза вай. Цаьргахь мел ерг схьа а яьккхина, сахилале церан цхьа а стаг дийна вуьтур вац вай». Цара элира: «Хьайна бакъахьа мел хеташ дерг де». Амма динан дас элира: «Делах дагадовла деза вай».</verse>
				<verse number="37">Шаула Деле хаттар дира: «ПӀелаштамхошна тӀаьхьавала мегар дуй со? Ахьа царна таӀзар дойтур дуй тхоьга?» Амма цу дийнахь Дала жоп ца делира Шаулна.</verse>
				<verse number="38">ТӀаккха цо элира: «Массо а халкъан куьйгалхой суна тӀе бахкийта. Цаьрга, халкъана юкъахь къа латийнарг муьлха ву хьожуш, таллийта.</verse>
				<verse number="39">Аса Исраилан халкъ кӀелхьардаьккхина волчу Везачу Элах чӀагӀо йо, и къа латийнарг сан кӀант ЯхӀуната велахь а, иза а лийр ву аьлла». Амма гулделлачу халкъана юккъера цхьаммо а жоп ца лора.</verse>
				<verse number="40">ТӀаккха Шаула Исраилан халкъе элира: «Шу массо а цхьаьна агӀор дӀахӀотта, ткъа вукху агӀор сой, сан кӀант ЯхӀунатий хӀуттур ву». Наха Шауле элира: «Хьайна бакъахьа хеттарг де».</verse>
				<verse number="41">Шаула Везачу Эле элира: «Исраилан халкъан Дела! Бакъдерг гайтахьа тхуна». Гулбеллачарна дай, кӀанттий бехке хилар гира. Ткъа халкъ бакъдеш хиларан билгало а хилира.</verse>
				<verse number="42">ТӀаккха Шаула элира: «Суний, сан кӀантаний юкъахь кхаж таса». ЯхӀунатина кхаж белира.</verse>
				<verse number="43">Шаула ЯхӀунате хаьттира: «Схьадийца соьга, хӀун даьлла хьоьгара?» ТӀаккха ЯхӀунатас дӀадийцира: «Аса, сайгара гӀаж чу а Ӏоьттина, жимма моз кхаьллира. Ткъа и хӀума бахьана долуш со вала везаш вуй?»</verse>
				<verse number="44">ТӀаккха Шаула элира: «Нагахь санна ЯхӀуната лийр вацахь, Дала суна со валлал чӀогӀа таӀзар дойла!»</verse>
				<verse number="45">Амма халкъо Шауле элира: «Массо а халкъ кӀелхьардаьккхина волу ЯхӀуната вуй техьа вала дезаш верг? Иза хир дац! Дийна волчу Везачу Элах оха чӀагӀо йо: цуьнан коьртара цхьа а чо лаьтта охьабужур бац! Дела шеца волуш дина цо пӀелаштамхой а эшош динарг». ЯхӀуната халкъо, вен а ца воьйтуш, паргӀат витира.</verse>
				<verse number="46">ПӀелаштамхошна тӀаьхьаваьллачуьра Шаул юхавирзира, ткъа вуьш шайн махка дӀабахара.</verse>
				<verse number="47">Шаула Исраилан махкахь шен паччахьалла дӀахӀоттийра. Шена гонах мел волчу массо а мостагӀчуьнца тӀом беш чекхвелира иза: Муабица а, Ӏамминхошца а, Эдомца а, Цобарчу паччахьашца а, пӀелаштамхошца а. Ша тӀом мосазза бо, толам а боккхура цо.</verse>
				<verse number="48">Ӏамалекхана тӀехь цо баьккхина толам бахьана долуш, Исраилан халкъ цуьнан талорхойх кӀелхьардаьккхира.</verse>
				<verse number="49">Шаулан кӀентийн цӀераш яра: ЯхӀуната, Ишви, МалкишаӀ. Шаулан йоккхаха йолчу йоӀан цӀе Мираба яра, жимаха йолчун цӀе Михула яра.</verse>
				<verse number="50">Шаулан зудчун цӀе АхьнуӀмат яра. Иза АхьимаӀацан йоӀ яра. Цуьнан эскаран хьаькаман цӀе Абунар яра. Иза Шаулан ден вешин Неран кӀант вара.</verse>
				<verse number="51">Шаулан да Къуша а, Абунаран да Нер а Абуалан кӀентий бара.</verse>
				<verse number="52">Шаул ша мел веха пӀелаштамхошца тӀом беш хилла. Шена майра а, доьналла долуш а волу стаг гича, иза ша волчу дӀавуьгуш хилла цо.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="15">
				<verse number="1">Шамъала Шауле элира: «Везачу Эло со ваийтина Исраилан халкъана тӀехь хьан паччахьалла къобалдан. ХӀинца Везачу Эло бохучуьнга ладогӀа.</verse>
				<verse number="2">Массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Дагадаийтира Аса Сайна Ӏамалекха Исраилан халкъана динарг: Мисар-махкара халкъ цӀа доьрзучу хенахь иза цунна дуьхьал валар.</verse>
				<verse number="3">ХӀинца, ваха а гӀой, Ӏамалекхана тӀелата, цуьнан мел долу хӀума, къинхетам ца беш, хӀаллакде. Массо а ве: зударий, божарий, бераш, декхаш долу бераш. Дерриг: етт, сту, уьстагӀ, эмкал, вир — ша мел долу хӀума, дей, дӀадаккха“».</verse>
				<verse number="4">Телаим олучу меттехь Шаула вовшахтуьйхира шен эскар. Царна юккъехь ши бӀе эзар гӀашло вара, цул сов, итт эзар стаг ЯхӀудан тайпанах а вара.</verse>
				<verse number="5">Шаул Ӏамалекхахойн гӀалина тӀекхаьчнера. ТогӀи чохь царна кӀело ян охьахиира иза.</verse>
				<verse number="6">Шаула кхенахошна тӀе хабар дахьийтира: «Ӏамалекхахойх дӀакхеттачуьра дӀакъаста, шаьш соьга дайа ца дайийта. Аша Мисар-махкара схьадогӀучу хенахь Исраилан халкъана гӀо дина». Кхенахой Ӏамалекхахошна юкъара дӀакъаьстира.</verse>
				<verse number="7">Шаула Хьавилара дуьйна Мисар-махкана малхбалехьа Ӏуьллучу Шур-гӀалин йистошка кхаччалц эшийра Ӏамалекхахой.</verse>
				<verse number="8">Церан паччахь АгӀаг Шаула дийна волуш схьалецира, ткъа цуьнан дерриге а халкъ хӀаллакдира.</verse>
				<verse number="9">Амма Шаула а, цуьнан эскаро а АгӀагах къинхетам бира, дико долу уьстагӀий а, стерчий а, дерстана долу эсий а, Ӏахарий а дитира, иштта дика мел долу хӀума а, доха ца деш Ӏаддитира, ткъа оьшуш мел доцу хӀума дохийна дӀадаьккхира.</verse>
				<verse number="10">ТӀаккха Шамъале долу Делан дош иштта дара:</verse>
				<verse number="11">«Со чӀогӀа дохковаьлла Айса Шаул паччахь вина дӀахӀотторах. Сох дӀа а вирзина, Сан дош цо кхочуш ца дина». Иза шена хиъча, Шамъал чӀогӀа оьгӀазвахара. Буьйса, Везачу Эле кхойкхуш, яьккхира цо.</verse>
				<verse number="12">Сахуьлуш Шамъал, хьала а гӀаьттина, Шаулна дуьхьалвахара. Амма цуьнга хаам бира, Шаула, Кармал-гӀала а вахана, цигахь шен толамаш дагабоуьйтуш болу тӀулг дӀахӀоттийра аьлла, ткъа цигара ваьлча, иза Галгала вахана аьлла.</verse>
				<verse number="13">Шамъал Шаулна тӀекхечира, ткъа Шаул вистхилира: «Везачу Эло декъалвойла хьо. Аса Везачу Элан дош кхочушдина».</verse>
				<verse number="14">ТӀаккха Шамъала элира: «Сан лергашна хезаш долу уьстагӀийн а, стерчийн а аьзнаш мичара ду?»</verse>
				<verse number="15">Шаула элира: «Уьш Ӏамалекх волчуьра схьадалийна ду. Оха тоьлла долу уьстагӀий а, стерчий а хьан Везачу Далла лерина сагӀа даккха дитира, кхин дерш хӀаллакдира».</verse>
				<verse number="16">Шамъала Шауле элира: «Собар де, аса дӀадуьйцур ду хьоьга Везачу Эло буьйсанна хьо бахьана долуш аьлларг». Шаула цуьнга элира: «Схьадийца».</verse>
				<verse number="17">ТӀаккха Шамъала элира: «Хьуна-хьайна а хьо жима а, хьал доцуш а хетташехь, ца хӀоттийнера Исраилан халкъан тайпанашна коьрте? Хьо иштта воллушехь, Везачу Эло къобал ца винера хьо Исраилан халкъана тӀехь паччахь вина дӀахӀотта?</verse>
				<verse number="18">Везачу Эло хьо хӀокху дешнашца новкъа ваьккхинера: „Ваха а гӀой, и къинош летийна болу Ӏамалекхахой хӀаллакбе. Уьш, байина, дӀабаххалц, тӀом бе цаьрца“, — аьлла.</verse>
				<verse number="19">Везачу Эло хьайга аьлларг хӀунда ца дира ахьа? Стенна кхийтира хьо ижуна тӀе, Везачу Элан бӀаьргашна хьалха вон деш?»</verse>
				<verse number="20">Шаула Шамъале элира: «Везачу Эло бохучуьнга ла а доьгӀна, Цо аьллачу новкъа велира со. Ӏамалекхахойн паччахь АгӀаг аса схьавалийна, уьш мел берш хӀаллак а бина.</verse>
				<verse number="21">Ткъа наха шайна яьллачу ижуна юккъера тоьлла долу уьстагӀий а, стерчий а схьахаьржира Галгалахь хьан Везачу Далла лерина сагӀа даккха».</verse>
				<verse number="22">Шамъала цунна жоп делира: «Ахьа доккхуш долу сагӀа а, дагош долу бежанаш а деза хета те Везачу Элана, хьо Ша бохург а деш дӀахӀоттарал? Цуьнга ладугӀуш хилар сагӀа даккхарал а деза ду, ткъа Цунна муьтӀахь хилар уьстагӀан махьаран даьттанал а дезах ду,</verse>
				<verse number="23">хӀунда аьлча муьтӀахь цахилар, бозбунчалла лелор санна, къилахь ду, ткъа шен лааме а ваьлла, дуьхьалвалар цӀу-динах тешар санна ду. Ахьа Везачу Элан дош дӀататтар бахьана долуш, Цо хьо дӀатеттина, Исраилан халкъан паччахь ца хилийта».</verse>
				<verse number="24">Шаула Шамъале элира: «Везачу Элан дашна тӀера а, хьан лаамна тӀера а ваьлла, аса сайх къа латийна. Со нахах кхеравелира, цундела цара бохург дира аса.</verse>
				<verse number="25">ХӀинца аса сайна къинтӀера валар доьху хьоьга. Соьца юхаверзахьара хьо, Везачу Элана соьга корта тохийта».</verse>
				<verse number="26">Шамъала Шауле жоп делира: «Со хьоьца юхавогӀур вац, хӀунда аьлча ахьа Везачу Элан дош дӀатеттина, цундела Цо хьо юхатеттина Исраилан халкъан паччахь ца хилийта».</verse>
				<verse number="27">Шамъал дӀаваха дагахь дӀавирзира. Амма вукхо цуьнан бедаран юх, катоьхна схьа а лаьцна, ятӀийра.</verse>
				<verse number="28">ТӀаккха Шамъала элира: «ХӀинца дуьйна Везачу Эло Исраилан халкъана тӀехь долу паччахьалла хьох дӀахадийна. Цо иза кхечуьнга дӀакховдийна, иза хьол тоьлуш волу дела.</verse>
				<verse number="29">Исраилан халкъан сийлахьчу Дала харцдерг а дуьйцур дац, Иза дохко а вер вац, хӀунда аьлча Дела адам дац Шен лаам хийца».</verse>
				<verse number="30">ТӀаккха вукхо элира: «Аса къа латийна. Делахь а хӀинца сан къоман къаношна хьалха а, со Исраилан халкъана хьалха а ларий, соьца юхаверзахьара хьо, тӀаккха аса хьан Везачу Далла Ӏибадат дийр дара».</verse>
				<verse number="31">Шамъал Шаулаца юхавирзира. Шаула Везачу Элана Ӏибадат дира.</verse>
				<verse number="32">Цул тӀаьхьа Шамъала элира: «Ӏамалекхахойн паччахь АгӀаг схьавалаве кхуза». Шек а ца волуш, АгӀаг цунна тӀе веара. Цо элира: «Валаран къаьхьаллах со вла ма ваьлла?»</verse>
				<verse number="33">Амма Шамъала элира: «Хьан туьро нанойх бераш ма-даххара, хьан нана а йолийла шен кӀантах». Галгалахь Везачу Элана хьалха Шамъала АгӀаг, вен а вийна, цунах дакъош дира.</verse>
				<verse number="34">Шамъал Раме дӀавахара. Ткъа Шаул ГебаӀ-гӀалахь долчу шен цӀа вахара.</verse>
				<verse number="35">Цул тӀаьхьа Шамъална Шаул кхин ца гира ша велла дӀаваллалц, амма цо цунах лаьцна шен дага чохь гӀайгӀа латтайора, хӀунда аьлча Веза Эла дохковаьллера Ша иза Исраилан халкъана тӀехь паччахь вина дӀахӀотторна.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="16">
				<verse number="1">Везачу Эло Шамъале элира: «Мел хир ву хьо гӀайгӀане Аса Исраилан махкахь паччахь ца хилийта Сайна уллора дӀатеттина волу Шаул бахьана долуш? Хьайн маӀа зайтдаьттанах хьала а юзий, Байтлахам-гӀала гӀо. Аса цигахь вехаш волу Юшай волчу вохуьйту хьо. Цуьнан кӀенташна юкъара Аса Сайна паччахь хаьржина».</verse>
				<verse number="2">Амма Шамъала элира: «Со муха гӀур ву цига? Шаулна иза дӀахаахь, цо со вуьйр ву». Везачу Эло жоп делира: «Хьайца, цига воьдуш, шинар дига. Хьо Везачу Элана лерина долу сагӀа даккха веана эр ду ахьа.</verse>
				<verse number="3">Айхьа сагӀа доккхучу хенахь Юшайга схьакхайкха. Цул тӀаьхьа Аса дуьйцур ду хьуна, хӀун дан деза. Аса хьайга аьлларг даьтта доттарца къобалвийр ву ахьа Суна».</verse>
				<verse number="4">Шега Везачу Эло ма-аллара, Байтлахам-гӀала ваха новкъа велира Шамъал. Иза цига дӀакхаьчча, цу гӀалара къаной боьхна дуьхьалбевлира цунна. Цара хаьттира: «Маршо яхьаш вогӀий хьо?»</verse>
				<verse number="5">Цо жоп делира: «ВогӀу. Со Везачу Элан дуьхьа сагӀа даккха вогӀуш ву. Делан дуьхьа дӀа а къастий, соьца сагӀа доккхучу дуьйла». Шамъала Юшай а, цуьнан кӀентий а Далла хьалха дӀахӀоттабан кечбира. Уьш а кхайкхира цо сагӀа доккхучу.</verse>
				<verse number="6">Уьш сагӀа доккхучу схьабаьхкича, Шамъална цигахь Элиаб гира. Цо ша-шега элира: «Везачу Элана хьалха дӀахӀоьттина лаьтташ волу хӀара хила мега Цо къобалвинарг!»</verse>
				<verse number="7">Амма Везачу Эло Шамъале элира: «Хьо цуьнан куьце а, цуьнан лекха хиларе а ма хьежа. Иза вац Аса хаьржинарг. Со адам санна ца хьожу стаге, хӀунда аьлча адамаш стеган юьхье хьожу, ткъа Веза Эла цуьнан даге хьожу».</verse>
				<verse number="8">Юшайс, Абинадаб схьа а кхайкхина, иза Шамъална тӀевалийра. Шамъала элира: «ХӀара а вац Везачу Эло хаьржинарг».</verse>
				<verse number="9">ТӀаккха Юшайс Шама тӀевалийра. Юха а Шамъала элира: «ХӀара а вац Везачу Эло хаьржинарг».</verse>
				<verse number="10">Иштта шен ворхӀе а кӀант Шамъална тӀевалийра Юшайс, амма Шамъала элира: «Кхарах цхьа а ца хаьржина Везачу Эло».</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха Шамъала Юшайга хаьттира: «Массо а кӀентий кхузахь буй хьан?» Юшайс жоп делира: «Уггар жима кхин цхьаъ ву. Иза хӀинца жа дажош ву». Шамъала Юшайга элира: «Цхьаъ вахийтий, иза схьавалавайта. Иза схьаваллалц, вай хӀума яа охьаховшур дац».</verse>
				<verse number="12">Юшайс кӀант схьавалавайта бахийтира. Иза хьаьрса а волуш, хаза ши бӀаьрг а болуш, юьхь тӀера чӀогӀа товш кӀант вара. Везачу Эло элира: «Хьала а гӀаттий, иза къобалве. Аса вуьйцург ву хьуна иза».</verse>
				<verse number="13">Шамъала, зайтдаьтта чохь йолу маӀа схьа а эцна, вежаршна хьалха Даудан коьрта тӀе даьтта доьттира. Цу дийнахь дуьйна Везачу Элан Са Даудана тӀе охьадоьссина дара. Ткъа Шамъал, хьала а гӀаьттина, Раме дӀавахара.</verse>
				<verse number="14">Везачу Элан Са Шаулах дӀакъаьстира. Цунна тӀе Везачу Эло дахийтинчу жино иза хьийзавора.</verse>
				<verse number="15">Шауле цуьнан ялхоша элира: «Делера долчу жино хьийзош ву хьо.</verse>
				<verse number="16">Хьайна хьалха болчу ялхошка дечиган пондар лакха хууш волу стаг лахийта. Делера долу жин хьо волчу деача, цу стага пондар а локхуш, хьан дагна хьаам бийр бу».</verse>
				<verse number="17">Шаула шен ялхошка элира: «Дечиган пондар дика лакха хууш волу стаг, схьа а лахий, со волчу схьавалаве».</verse>
				<verse number="18">Ялхошна юкъахь волчу цхьаммо элира: «Байтлахам-гӀалара волчу Юшайн кӀант гина суна. Цунна дечиган пондар лакха а хаьа, иза ша майра а, вистхилар хьекъале долуш а, чӀогӀа товш стаг а ву. Цуьнца Веза Эла а ву».</verse>
				<verse number="19">ТӀаккха Шаула Юшай волчу хабар эцна геланча вахийтира: «Хьайн бажа бажош волу кӀант Дауд со волчу ваийта», — аьлла.</verse>
				<verse number="20">Юшайс, шен вир схьа а эцна, цунна тӀе бепиг а, чагӀар чохь долу пӀаьлдиг а биллина, жима буьхьиг схьа а эцна, уьш а, шен кӀант Дауд а Шаул волчу дӀахьажийра.</verse>
				<verse number="21">Дауд Шаул волчу дӀакхаьчча, иза цунна гӀуллакх дан волавелира. Дауд чӀогӀа везавелира Шаулна, цо цунах шен герзлелориг вира.</verse>
				<verse number="22">Юшайга хабар дахьийтира Шаула: «Дауд со волчохь гӀуллакх деш сецна, хӀунда аьлча цо деш долу гӀуллакх суна чӀогӀа тайна».</verse>
				<verse number="23">Делера долу жин Шаулна тӀе охьа мосазза дуссу, Дауда, схьа а оьций, дечиган пондар локхура, тӀаккха Шаулан са паргӀатдолура.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="17">
				<verse number="1">ПӀелаштамхоша шайн эскар тӀамана схьагулдира. Цара, ЯхӀуд-махкарчу Соха-гӀалахь схьа а гулбелла, Соханий, Ӏазекхиний юккъехь йолчу Эпас-Дамимахь меттамотт дӀахӀоттийра.</verse>
				<verse number="2">Ткъа Шаул, исраилхошца цхьаьна Эла-тогӀи чохь шен меттамотт дӀа а хӀоттийна, пӀелаштамхошна дуьхьал тӀом бан кечвелира.</verse>
				<verse number="3">ПӀелаштамхой цхьана агӀор лаьтташ болчу лам тӀе бевлира, ткъа исраилхой цунна дуьхьал лаьттачу вукху лам тӀе бевлира. Царна юккъехь тогӀи яра.</verse>
				<verse number="4">Ша Гати-гӀалара а волуш, ГӀолиат цӀе йолу, бӀаьхо волу цхьа стаг пӀелаштамхошна юкъара схьавелира. Иза ялх дол а, цхьа ше а хиллал лекха вара.</verse>
				<verse number="5">Цуьнан коьртахь цӀестах дина долу гӀем дара, тӀедуьйхина цӀестан пелагех дина гӀагӀ дара. Цу гӀаьгӀнан деккъа дозалла пхи эзар шекхал цӀаста хиллал дара.</verse>
				<verse number="6">Цуьнан когаш тӀехь цӀестан гола тӀеюхкурш яра, букъ тӀехь цӀестан горга тур а дара.</verse>
				<verse number="7">Цуьнан гоьмукъан гӀаж, кӀадидархочун гӀирс санна, еха яра, ткъа ша гоьмукъ ялх бӀе шекхал эчиг хиллал бара. Цунна хьалха хӀоьттина вогӀуш цуьнан доккха турс лелош верг а вара.</verse>
				<verse number="8">ГӀолиат, исраилхойн тӀемалошна хьалха дӀа а хӀоьттина, цаьрга мохь бетта волавелира: «ТӀом бан стенна кечделла шу? Со пӀелаштамхо вац ткъа? Ткъа шу Шаулан леш ду. Шайна юкъара соьца лата стаг схьахаржа.</verse>
				<verse number="9">Нагахь, иза сох лата а летта, цо со вехь, пӀелаштамхой шун леш хир бу, ткъа нагахь, со цунах тола а тоьлла, аса иза вехь, шу тхан леш хир ду, тхуна хьалхара гӀуллакх а деш».</verse>
				<verse number="10">ПӀелаштамхочо кхин а элира: «Тахана аса исраилхойн эскаре кхайкхам бо. Схьаваийта суна тӀе иштта волу стаг, тхойшиъ вовшахлетар ву!»</verse>
				<verse number="11">ПӀелаштамхочо бохург шайна хезча, Шаул а, исраилхой а, кхерабелла, Ӏадийнера.</verse>
				<verse number="12">ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалара волчу эпратхочун Юшайн кӀант вара Дауд. Юшайн бархӀ кӀант вара. Шаул паччахьан даржехь волчу заманчохь Юшай чӀогӀа хан яьлла стаг вара.</verse>
				<verse number="13">Юшайн воккхаха волу кхо кӀант Шаулца тӀаме вахнера. Цуьнан тӀаме ваханчу кхаа кӀентан цӀераш яра: уггаре воккхачун — Элиаб, шолгӀачун — Абинадаб, кхозлагӀчун — Шама.</verse>
				<verse number="14">Дауд жимаха верг вара. Воккхаха волу кхо кӀант Шаулца волчу хенахь,</verse>
				<verse number="15">Дауд Шаул волчу дӀа а воьдий, цигара юхавоьрзура, Байтлахам-гӀалахь волчу шен ден уьстагӀий дажо.</verse>
				<verse number="16">Шовзткъа дийнахь пӀелаштамхо, Ӏуьйранний, суьйранний ара а волуш, исраилхошна ша гайта дӀахӀуттура.</verse>
				<verse number="17">ТӀаккха Юшайс шен кӀанте Дауде элира: «Хьайн вежаршна кхо сахь кхерзина буьртигаш а, итт бепиг а эций, сихха церан меттамотт лаьттачу дӀагӀо.</verse>
				<verse number="18">ХӀара итт нехча тӀеман коьртачу хьаькаме дӀало, хьайн вежарийн хьал-де хаа, уьш могуш-маьрша хиларан билгало а я.</verse>
				<verse number="19">Шаул а, хьан вежарий а, массо а исраилхо санна, Эла-тогӀи чохь пӀелаштамхошца тӀом беш бу».</verse>
				<verse number="20">Дауд, Ӏуьйранна хьалххе хьала а гӀаьттина, шен уьстагӀий хехочуьнга дӀа а делла, шен мохь схьа а эцна, Юшайс шена тӀе-ма-диллара, эскар лаьтташ долчу дӀавахара. ХӀара дӀакхаьчначу хенахь эскархой тӀом бечу могӀаршкахь дӀахӀиттина лаьттара. Маьхьарий а детташ, тӀамана кечлуш бара уьш.</verse>
				<verse number="21">Исраилхоша а, пӀелаштамхоша а шайн тӀемалойн могӀанаш дуьхь-дуьхьал дерзийнера.</verse>
				<verse number="22">Дауда, шегахь болу мохь тӀеман гӀирс ларбеш волчу хехочуьнга дӀа а белла, ведда эскархойн могӀанаш долчу юкъа а вахана, шен вежаршка хӀун хьал ду хаьттира.</verse>
				<verse number="23">Иза шен вежаршца къамел деш волчу хенахь Гати-гӀалара ГӀолиат цӀе йолу пӀелаштамхойн вовшахлатархо, шайн могӀанашна юкъара ара а ваьлла, мохь бетта волавелира. Даудана цо бохург хезира.</verse>
				<verse number="24">Массо а исраилхо, и стаг шайна ма-гиннехь, кхералой, цунах водура.</verse>
				<verse number="25">Исраилхоша бохура: «Гой шуна и къамел деш волу стаг? Иза исраилхой емалбеш, царна луьйш ву. Иза вийначунна паччахьо боккха бахам лур бара, цуьнга шен йоӀ маре а йохуьйтур яра, цуьнан доьзал Исраилан махкахь массо а кхечу нахана тӀедиллина долчу хӀуманах мукъа а боккхур бара».</verse>
				<verse number="26">ТӀаккха Дауда шеца лаьтташ болчу нахе элира: «ХӀун кхаъ хир бу, и пӀелаштамхо вен а вийна, Исраилан махкана тӀера юьхьӀаьржо дӀаяьккхинчунна? Мила ву хӀара дин доцу, сунтваза волу пӀелаштамхо, дийна волчу Делан эскарна луьйш волу?»</verse>
				<verse number="27">Цара, шаьш аьлларг юха карла а доккхуш, и стаг вийначунна кхаъ лур бу аьлла, дӀахаийтира.</verse>
				<verse number="28">Даудан воккхаха волчу вешина Элиабна хезира цо нахаца деш долу къамел. Даудана чӀогӀа оьгӀаз а вахана, цо элира: «Хьо хӀунда веана кхуза? Хьанах тешна дитина ахьа вайн де а доцу уьстагӀий яьссачу арахь? Суна евзаш ю хьан сонталла а, хьан вон дог а. Хьо тӀамах бӀаьрг тоха веана кхуза?»</verse>
				<verse number="29">Дауда элира: «Соьгара хӀун даьлла, нахаца къамел дарал сов?»</verse>
				<verse number="30">Шена уллохь болчу нахе дӀа а вирзина, Дауда цаьрга хаттар дича, цара, вукхара санна, жоп делира цунна.</verse>
				<verse number="31">Дауда аьлла долу дешнаш Шауле дӀадийцира. Цо Дауд шена тӀекхайкхира.</verse>
				<verse number="32">ТӀаккха Дауда Шауле элира: «И пӀелаштамхо бахьана долуш цхьа а стаг гӀайгӀане хила оьшуш вац. Хьан лай, ваха а вахана, цуьнца летар ву».</verse>
				<verse number="33">Шаула Дауде элира: «Хьо ларор вац цу пӀелаштамхочуьнца, хӀунда аьлча хьо хӀинца а жима ву, ткъа иза кога ирахӀоьттинчу хенахь дуьйна тӀеман гӀуллакх девзаш хилла ву».</verse>
				<verse number="34">Дауда Шауле элира: «Хьан лай шен ден уьстагӀий дажош лелла ву. Нагахь санна, я лом, я ча а еана, цара жа юкъара уьстагӀ дӀабаьхьча,</verse>
				<verse number="35">царна тӀаьхьа а воьдий, тӀекхетий, церан багара иза схьабоккхура ас. Амма иза сайна тӀекхетча, аса цуьнан кхес схьа а лоций, охьа а тухий, йоьра.</verse>
				<verse number="36">Лом а, ча а йоьра хьан лай волчо. Изза хир ду оцу сунтваза волчу пӀелаштамхочунна а, дийна волчу Делан эскарна кхиссарш еш волчу».</verse>
				<verse number="37">Дауда кхин а элира: «Лоьмах а, ченах а со кӀелхьарваьккхина волчу Везачу Эло со оцу пӀелаштамхочун куьйга кӀелара а воккхур ву». ТӀаккха Шаула Дауде элира: «Вало, гӀо цига. Веза Эла хьоьца хуьлийла».</verse>
				<verse number="38">Даудана шен бедарш тӀеюьйхира Шаула, коьрта цӀестан гӀем а тиллира, цунна тӀе гӀагӀ а дуьйхира.</verse>
				<verse number="39">Бедарш тӀехула тур гӀода юккъе а дихкина, Дауд дӀасаволавелира, амма иза ишттачу духарца лела Ӏемина вацара. Цо Шауле элира: «Со, хӀара духар а доьхна, лела Ӏемина вац». Цо и хӀуманаш шена тӀера дӀаехира.</verse>
				<verse number="40">Коьжалг шен кара а лаьцна, татол чуьра пхи шера тӀулг а хаьржина, уьш шегахь болчу тӀоьрмаг чу а дехкина, и тӀоьрмаггий, ширдолаггий карахь а долуш, иза пӀелаштамхочунна дуьхьалвахара.</verse>
				<verse number="41">ПӀелаштамхо а вара кхунна дуьхьалвогӀуш, хьалха ваьлла доккха турс лелош верг а волуш.</verse>
				<verse number="42">ПӀелаштамхо Дауде цавашарца схьахьаьжира, хӀунда аьлча хӀара ханна жима а вара, хьаьрса а волуш, юьхь тӀера хаза а вара.</verse>
				<verse number="43">Цо Дауде элира: «Хьо суна дуьхьал гӀожаца ма ваьлла. Со жӀаьла ду-м ца моьтту хьуна?» Иза а аьлла, пӀелаштамхочо шен деланашкара неӀалт кхайкхира Даудана.</verse>
				<verse number="44">Цо Дауде элира: «ТӀевола суна, аса хьан дакъа стигаларчу олхазаршний, аренгахь лелаш долчу акхарошний дӀалур ду».</verse>
				<verse number="45">Дауда пӀелаштамхочуьнга элира: «Хьо суна дуьхьал тур а, гоьмукъ а, горга тур а карахь вогӀуш ву, ткъа со ахьа сийсаздохуш долчу Исраилан халкъан массо а эскарийн Дела волчу, массо а ницкъийн Везачу Элан цӀарах араваьлла.</verse>
				<verse number="46">Таххана Везачу Эло хьо сан кара схьалур ву, ткъа аса хьо вуьйр ву. Аса хьан корта схьабоккхур бу, ткъа пӀелаштамхойн эскархойн декъий стигаларчу олхазаршна а, лаьттахь лелаш долчу акхарошна а дӀалур ду. Дерриг а дуьненна дӀахуур ду Исраилан махкахь Дела вуйла.</verse>
				<verse number="47">Кхузахь гулделлачу дерриг а халкъана дӀахуур ду Везачу Эло туьраций, гоьмукъций ца воккхийла кӀелхьара, хӀунда аьлча тӀом Везачу Элан карахь бу. Цо шу тхан кара схьа а лур ду».</verse>
				<verse number="48">ПӀелаштамхо шена тӀеволавелча, Дауд сихха цунна дуьхьалведира.</verse>
				<verse number="49">Шен тӀоьрмаг чу куьг а дахийтина, тӀулг схьаийцира цо. Ширдолагца ластийна, цо иза пӀелаштамхочунна хьажа юккъе туьйхира. И тӀулг цунна нийсса хьажа юккъе богӀабелира, ткъа пӀелаштамхо бертал охьавуьйжира.</verse>
				<verse number="50">Иштта тӀулгаций, ширдолагций пӀелаштамхо эшийра Дауда. Цо иза карахь тур а доцуш вийра.</verse>
				<verse number="51">ТӀаккха Дауда, ведда тӀе а вахана, цунна тӀе ког а баьккхина, пӀелаштамхочун тур баттара схьа а даьккхина, цуьнан корта баьккхира. ПӀелаштамхой, шайна юкъара ницкъберг велла гича, бевдда дӀабахара.</verse>
				<verse number="52">Исраил-махкара а, ЯхӀуд-махкара а халкъ маьхьаршца пӀелаштамхошна тӀаьхьаделира. Цара уьш, лаьхкина, тогӀи чу вуллучу дӀабигира, цигара дӀа — Ӏекхран-гӀали чу воьду ков долчу бигира. Эшийна, лаьхкина буьгуш болу пӀелаштамхой ШаӀрайм-гӀалина тӀе боьдучу новкъа тӀе охьаоьгура Гати-гӀалина а, Ӏекхран-гӀалина а тӀекхаччалц.</verse>
				<verse number="53">Шаьш пӀелаштамхошна тӀаьхьабевллачуьра юхабирзича, церан бахам дӀасабоькъура исраилхоша.</verse>
				<verse number="54">ТӀаьхьо, пӀелаштамхочун корта схьа а эцна, Дауда иза Ярушалайме дӀабаьхьира, ткъа цуьнан тӀеман гӀирс цо шен четар чохь охьабиллира.</verse>
				<verse number="55">ПӀелаштамхочуьнца Дауд лата воьдуш шена гича, Шаула эскаран хьаькам волчу Абунаре элира: «Абунар, иза хьенан кӀант ву?» Абунара элира: «Дийна волчу сайх чӀагӀо йо ас, ва паччахь, суна иза билггала ца хаьа».</verse>
				<verse number="56">Паччахьо элира: «Хатта, хьенан кӀант ву и жима стаг».</verse>
				<verse number="57">Дауд, пӀелаштамхо эша а вина, юхавогӀучу хенахь, Абунара иза Шаул волчу схьавалийра. ПӀелаштамхочун корта цуьнан карахь бара.</verse>
				<verse number="58">Шаула цуьнга хаьттира: «Жима стаг, хьо хьенан кӀант ву?» — аьлла. Дауда жоп делира: «Со Байтлахам-гӀалара хьан лай волчу Юшайн кӀант ву».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="18">
				<verse number="1">Дауд Шаулаца къамел дина ваьлча, цуьнан а, ЯхӀунатин а юкъаметтиг кхин а чӀагӀъелира, цунна иза, ша-шена санна, дукхавезавелира.</verse>
				<verse number="2">Шаула Дауд шеца витира, иза шен да волчу дӀа а ца вохуьйтуш.</verse>
				<verse number="3">ЯхӀунатина, ша санна, Дауд везавалар бахьана долуш, Даудаца даггара доттагӀалла лело барт бира цо.</verse>
				<verse number="4">Шаьшшинна юкъахь хиллачу бертан тоьшалла деш, ЯхӀунатас шена тӀехула йоьхна йолу бедарш схьа а яьхна, Дауде дӀаелира. Иштта тӀеман бедарш а, тур а, секхаӀад а, доьхка а дӀаделира цо.</verse>
				<verse number="5">Шаула ша мичча вахийтича а, Даудан аьтто хуьлура. Цундела Шаула цунах тӀеман хьаькам вира. Иза хазахетарца тӀеийцира дерриг а халкъо а, паччахьан гонах болчара а.</verse>
				<verse number="6">Дауда пӀелаштамхо эша а вина, эскархой цӀа богӀучу хенахь массо а Исраилан махкарчу гӀаланашкара зударий шайн паччахь волчу Шаулна дуьхьал хелхаршций, эшаршций арабевлира. Церан карахь жиргӀанаш а, дечиг-пондарш а дара.</verse>
				<verse number="7">Халхарш а деш, цара бохура: «Шаула эзарнаш байина, ткъа Дауда — итт эзарнаш».</verse>
				<verse number="8">Шаулна и дешнаш чӀогӀа ца дезаделира. Цо элира: «Цара Даудана итт эзарнаш дӀабелла, ткъа суна — эзарнаш бен. Цунна хӀинца, паччахьалла тӀехилчхьана, кхин хӀумма а ца оьшу».</verse>
				<verse number="9">Цу дийнахь дуьйна Шаул Дауде хьогӀаца хьоьжура.</verse>
				<verse number="10">ШолгӀачу дийнахь Делера долу жин цӀеххьана Шаулна тӀе доьссира. Иза шен цӀахь хьераваьлча санна лелара, ткъа Дауд, кхечу деношкахь санна, дечиг-пондарх пӀелг а туьйсуш, Ӏаш вара. Шаулан карахь гоьмукъ бара.</verse>
				<verse number="11">Цо, шен дагахь: «Аса иза хӀинца пенах дӀалатор ву», — бохуш йолу ойла а еш, гоьмукъ кхоьссира. Амма Дауда, шозза а дӀа а таьӀна, иза тӀехбалийтира.</verse>
				<verse number="12">Шаул Даудах кхоьруш вара, хӀунда аьлча Веза Эла цуьнца вара, ткъа Шаулна уллора Иза юхаваьллера.</verse>
				<verse number="13">Шаула Дауд, шена уллора дӀа а ваьккхина, шен эзар тӀемалочунна тӀехь хьаькам хӀоттийра, иза массо а адамна хьалха эскарна тӀехь куьйгалла деш а вара.</verse>
				<verse number="14">Дауда ша мел деш долу гӀуллакх кхиамца дора, хӀунда аьлча Веза Эла цуьнца вара.</verse>
				<verse number="15">Цуьнан аьтто болуш хилар гуш волу Шаул Даудах кхоьруш вара.</verse>
				<verse number="16">Ткъа массо а Исраил-махкарчу а, ЯхӀуд-махкарчу а къаьмнашна Дауд чӀогӀа везара, хӀунда аьлча иза дерриг а гӀуллакхна хьалхаваьлла волу дела.</verse>
				<verse number="17">Шаула Дауде элира: «Сайн йоккхаха йолу йоӀ Мираба хьоьга маре йоуьйту аса. Хьо майра хила веза, Везачу Элан тӀемаш дӀа а кхоьхьуш». Шаулан дагахь дара: «Сан карах а доцуш, пӀелаштамхойн карах валар хуьлийла цуьнан».</verse>
				<verse number="18">Амма Дауда Шауле элира: «Со а, сан ден цӀа а Исраилан махкахь девзаш дац, со паччахьан нуц хилла дӀахӀоттал».</verse>
				<verse number="19">Шаулан йоӀ Мираба маре яха хан тӀекхаьчча, иза махьулхочуьнга Ӏадриале маре яхийтира.</verse>
				<verse number="20">Амма Шаулан вукху йоӀана, Михулина, везавелира Дауд. Иза Шауле дӀахаийтича, Шаулна и гӀуллакх хазделира.</verse>
				<verse number="21">Ткъа Шаул шен дагахь ойла еш вара: «Аса йоӀ цуьнга маре яхийтича, цунах Даудана гур хир бу, цуьнан пӀелаштамхойн карах валар а хир ду». Шаула шолгӀа а Дауде элира: «ХӀинца кхин а цхьа аьтто баьлла хьан соьца гергарло таса».</verse>
				<verse number="22">Шена гонах болчаьрга Шаула элира: «Къайлаха цуьнга ала: „Хьажал, паччахь хьоьца чӀогӀа дика ву, цунна гонах болчарна массарна а хьо веза. ХӀунда аьлча хӀинца дика зама ю паччахьан нуц хилла дӀахӀотта“».</verse>
				<verse number="23">Шаулан гонах болчара и дешнаш Дауде дӀааьлча, Дауда жоп делира: «Шуна атта ду моьтту паччахьан нуц хила? Со къен а, ладам боцу а стаг ма ву».</verse>
				<verse number="24">Паччахьан гонах болчара Шауле дӀадийцира шайн Даудаца хилла къамел.</verse>
				<verse number="25">Шаула элира: «ДӀаала Дауде: „Паччахьна шен йоӀах кхин там ца оьшу, бӀе вийна пӀелаштамхо бен. Уьш байа а байина, сунт а бина, уьш хадош дисина чкъоьрнаш суна схьада. Иза паччахьан мостагӀашна бекхам хир бу“». Цо и тайпа къамел даран бахьана Дауд пӀелаштамхойн карахула хӀаллакван гӀертар дара.</verse>
				<verse number="26">Паччахьна гонах болчара и къамел Дауде схьадеара. Даудана тайнера паччахьан нуц хилар. Хан йиллина денош тӀекхачале,</verse>
				<verse number="27">Дауда шен накъосташца, пӀелаштамхой болчу а вахана, царах ши бӀе стаг вийра. Цо паччахьна и нах ша сунтбина хиларан билгалонаш схьаеара. Шаула цуьнга шен йоӀ Михула маре дӀаелира.</verse>
				<verse number="28">Шаулна хиира Веза Эла Даудаца вуйла а, шен йоӀана Михулина Дауд везийла а.</verse>
				<verse number="29">Цундела Шаул кхин а чӀогӀа кхоьрура Даудах. Иза цуьнан мостагӀа хилла дӀахӀоьттира массо а ханна.</verse>
				<verse number="30">ПӀелаштамхойн баьччанаш тӀамца гӀевттича, Дауд массо а Шаулан тӀемалойл а кхиаме тӀом дӀахьош хуьлура. Цуьнан цӀе массанхьахула дӀасаяьржира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="19">
				<verse number="1">Шен кӀанте ЯхӀунате а, шен гонах болчаьрга а Шаула дӀахьедира, Дауд вен веза аьлла. Амма Шаулан кӀантана ЯхӀунатина Дауд чӀогӀа дукхавезара.</verse>
				<verse number="2">Цундела ЯхӀунатас Дауде элира: «Сан да Шаул хьо вен бахьанаш лоьхуш ву хьуна. Кханалерчу дийнахь ларлуш хилалахь. Цхьанхьа къайла а валий, Ӏелахь.</verse>
				<verse number="3">Ткъа со, сайн деца эрна ара а ваьлла, хьо волчохь дӀахӀуттур ву. Хьох лаьцна къамел дийр ду аса цуьнца, сайна хиънарг хьоьга дӀа а дуьйцур ду».</verse>
				<verse number="4">Дика дешнаш элира ЯхӀунатас Шауле Даудах лаьцна. Цо бохура: «Хьайн лай волчу Даудаца хьарам ма хилахьа. Цо хьуна дуьхьал цхьа а вон хӀума ца дина, боккха пайда болуш дерг бен.</verse>
				<verse number="5">ПӀелаштамхочунна дуьхьал иза, шех лаьцна ойла а ца еш, велира, шен дахар боккхачу кхерам кӀел а хӀоттийна. Везачу Эло боккха толам баийтира Исраилан махка. Иза гина волу хьо а ма вара воккхавеш. Стенна гӀерта те хьо, цхьа а бахьана доцуш, Дауд вен а вийна, бехк боцу цӀий а Ӏанийна, зулам даккха?»</verse>
				<verse number="6">ЯхӀунате ла а доьгӀна, Шаула чӀагӀо йира: «Дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо ас, Дауд лийр вац аьлла».</verse>
				<verse number="7">Дауде схьа а кхайкхина, ЯхӀунатас цуьнга шайн хилла долу къамел дӀадийцира, тӀаккха ЯхӀунатас Дауд Шаул волчу дӀавигира. Цул тӀаьхьа церан юкъаметтиг хьалха санна хилла дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="8">Юха а тӀом белира. Дауд, ара а ваьлла, пӀелаштамхошца тӀом бан волавелира. Дауда мостагӀчунна тӀехь боккха толам баьккхинчул тӀаьхьа, уьш цунах дӀауьдуш бара.</verse>
				<verse number="9">Юха а Везачу Элера долу жин чудоьссира Шаулна. Шен цӀахь, гоьмукъ карахь а болуш, Ӏаш вара иза, ткъа Дауд, дечиган пондарх пӀелг а туьйсуш, Ӏаш вара.</verse>
				<verse number="10">Шаулна Дауд гоьмукъца пенах дӀатоха дагадеара. Амма Дауд шена тӀекхоьссина болу гоьмукъ гича, каде дӀаиккхира, ткъа гоьмукъ пенах чубахара. Дауд цу буьйсанна Шаулах ведда кӀелхьарвелира.</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха Шаула Даудан цӀа шен тӀемалой бахийтира, цунна кӀело а йина, иза садаржале вейта. Даудан зудчо Михулас цуьнга элира: «Ахьа хьайн са тахана кӀелхьара ца даккхахь, кхана хьо вуьйр ву».</verse>
				<verse number="12">Михулас иза корах аравалийтира. Дауд ведда кӀелхьарвелира.</verse>
				<verse number="13">Дауд вуьжучу метта Михулас цӀу виллира, цуьнан гӀовлангахь газанан цӀока а йиллина, тӀехула бедарш ехкира.</verse>
				<verse number="14">Шаула Дауд схьалаца нах бахийтича, Михулас Дауд цомгуш ву элира.</verse>
				<verse number="15">Амма Шаула уьш юхабахийтира, иза муха ву хьажа. Цо цаьрга элира: «Шен меттаца иза со волчу схьавалаве соьга вейта».</verse>
				<verse number="16">И нах Дауд дӀалаца чубаьхкича, царна гира меттахь Ӏуьллуш волу цӀу а, гӀовлангахь йиллина йолу газанан цӀока а.</verse>
				<verse number="17">Шаула Михулига хаьттира: «Со хӀунда левина ахьа? Сан мостагӀа, дӀа а хецна, вадийтина-кх ахьа». Михулас Шауле элира: «Цо соьга, ша дӀа ца вахийтахь, со юьйр ю элира».</verse>
				<verse number="18">Дауд иштта ведда кӀелхьарвелира. Цо, Шамъал волчу Раме схьа а веана, Шаула шена динарг дӀадийцира. ТӀаккха Дауд Шамъалца новкъа велира. И шиъ Наютахь сецира.</verse>
				<verse number="19">Шауле хаам бира, Дауд Рама-гӀаларчу Нают олучу меттехь ву аьлла.</verse>
				<verse number="20">Шаула цига а нах бахийтира Дауд схьалаца. Уьш схьа а кхаьчна, царна Шамъал коьртехь а волуш, Делера болу хаамаш беш пайхамарш гича, царна тӀе Делан Са охьадоьссира. Уьш а, шовкъ а еана, Делера болу хаамаш бан буьйлабелира.</verse>
				<verse number="21">И хаам шена схьабеача, Шаула кхин болу нах бахийтира цига. Уьш а, шовкъ а еана, иштта Делера болу хаамаш беш дӀахӀиттира. ТӀаккха Шаула кхозлагӀа а нах бахийтира. Уьш а, шовкъ а еана, Делера хаамаш бан буьйлабелира.</verse>
				<verse number="22">ТӀаккха оьгӀазвахана волу Шаул ша Раме ваха новкъа велира. Иза Сехехь лаьттачу йоккхачу гӀунна тӀе кхечира. Цо хаьттира: «Шамъаллий, Дауддий мичахь ву?» Цунна жоп делира: «Эцца Рамерчу Наютахь ву».</verse>
				<verse number="23">Иза Рамерчу Наюта вахара. Цунна тӀе а Делан Са доьссира. Ша дӀавоьдучу хенахь иза а волавелира, Рамерчу Наюта кхаччалц, Делера болу хаамаш бан.</verse>
				<verse number="24">Шовкъ а еана, шена тӀера бедарш дӀа а яьхна, Шамъална хьалха Делера болу хаамаш беш дӀахӀоьттира иза. Цу дийнаххьий, бусий иза тӀехь хӀума а йоцуш Ӏиллира. Цундела олуш ду: «Шаул а ву техьа пайхамар?»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="20">
				<verse number="1">Рамерчу Наютара Дауд, ведда, ЯхӀуната волчу веара. Цо ЯхӀунате хаьттира: «Ас хӀун дина? ХӀун харцдерг даьлла соьгара? ХӀун къа латийна ас хьан дена хьалха, иза со вен гӀерттал?»</verse>
				<verse number="2">ЯхӀунатас жоп делира: «Хьо лийр вац! Сан дас жима а, доккха а гӀуллакх соьга олий бен ца до. Ша хьо вен гӀертийла цо сох хӀунда лечкъор дара? И хӀума хӀинца хила йиш йолуш дац!»</verse>
				<verse number="3">Дауда, чӀагӀо а еш, элира: «Хьан дена хууш ду, хьо соьца къаьсттина дика вуйла. Цундела цо шен дагахь боху: „ЯхӀунатина иза хаа йиш яц, цунна хала ца хетийтархьама“. Амма дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо ас, суний, Ӏожаллиний юккъехь цхьа гӀулч бен цахилар».</verse>
				<verse number="4">ЯхӀунатас Дауде элира: «Хьан даго боххург дийр ду-кх аса».</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха Дауда ЯхӀунате элира: «Кхана бутт цӀинбаларан дезде ду. Со паччахьна уллохь шуьнехь Ӏан везаш ву. Амма ахьа со дӀавахийтахьара, кхоалгӀачу дийнан суьйре тӀекхаччалц, со аренгахь къайлавер вара.</verse>
				<verse number="6">Хьан да со бахьана долуш сагатдеш хилахь, ахьа ала деза: „Дауд, соьгара пурба а даьккхина, Байтлахам-гӀала вахана, цигахь шен гергарчара хӀора шарахь цкъа доккхуш долчу сагӀанехь дакъалаца“.</verse>
				<verse number="7">Иза ахьа аьлча, цо „Дика ду“ алахь, хьан лай маьрша ву, амма иза оьгӀазводахь, хьуна хаалахь, цунна зулам даккха дагадеанийла.</verse>
				<verse number="8">Къинхетам бехьа хьайн лех: Везачу Элана хьалха ахьа соьца барт ма бинера. Соьгара хьайна бехке долу хӀума даьллехь, со хӀинццехь вей дӀаваккхахь! Хьайн дена тӀе стенна вуьгу ахь со?»</verse>
				<verse number="9">ЯхӀунатас элира: «Ахьа бохуш дерг хьоьца хила йиш яц. Нагахь санна сан да хьуна тешнабехк бан кечвеллехь, иза аса хьоьга хоуьйтур дацара техьа?»</verse>
				<verse number="10">Дауда ЯхӀунате хаьттира: «Хьан дас хьоьга оьгӀазлонца жоп лахь, иза соьга хаийта мила вогӀур ву?»</verse>
				<verse number="11">ЯхӀунатас элира: «Вало, аренга воьду вайшиъ». И шиъ аравелира.</verse>
				<verse number="12">ЯхӀунатас Дауде элира: «Исраилан халкъан Везачу Делах чӀагӀо йо ас хьуна! Кхана я кхана Ӏийча хӀоккху хенахь сайн да хьоьца муха ву хьожур ма ву со. Иза хьоьца гамо йоцуш велахь, аса хьо волчу и хабар дахьаш стаг воуьйтур ву.</verse>
				<verse number="13">Амма сан да хьуна ямартло ян кечвеллехь, иза аса хьан лергашна хазор ду, хьо кӀелхьара а волуьйтур ву. Везачу Эло, Шен лааме хьаьжжина, луьра таӀзар дойла суна, аса иза ца дахь. Веза Эла, сан деца ма-хиллара, хуьлийла хьоьца а.</verse>
				<verse number="14">Ткъа хьо а, со дийна висахь, Везачу Элана хьалха соьца бинчу бартана тешаме а хилахьара. Нагахь санна сан кхалхар хилахь,</verse>
				<verse number="15">айхьа дуьнен чохь йоккхучу хенахь сан доьзална тешаме хилахьара хьо, Везачу Эло массо а хьайн мостагӀа хӀаллаквина хилахь а».</verse>
				<verse number="16">ЯхӀунатас Даудан цӀенца барт беш элира: «Везачу Эло кхел йойла Даудан мостагӀашна!»</verse>
				<verse number="17">ЯхӀунатас, чӀагӀо а еш, Даудана хаийтира шена иза мел веза, хӀунда аьлча иза цунна, шен са санна, дукха везаш вара.</verse>
				<verse number="18">ЯхӀунатас цуьнга элира: «Кхана бутт цӀинбаларан дезде ду. Хьан меттиг яьсса гича, хьо коьртах воккхур ву.</verse>
				<verse number="19">Цундела кхозлагӀчу дийнахь хьо хьалха хиллачу метте дӀагӀо. Цигахь, Азал-тӀулг болчохь, охьа а хаий, собар де.</verse>
				<verse number="20">Ткъа аса, цу агӀонга цхьана хӀуманна хьажийча санна, кхузза секхаӀад кхуссур ду хьуна.</verse>
				<verse number="21">Цул тӀаьхьа аса сайн Ӏодан пхерчий схьалаха кӀант воуьйтур ву. Нагахь санна аса кӀанте алахь: „Пхерчий хьуна тӀехьа Ӏохку, схьаэца уьш“, — со волчу схьавола. Везачу Элах чӀагӀо йо ас, хьо маьрша хиларна а, хьуна цхьа а тайпана кхерам ца хиларна а.</verse>
				<verse number="22">Амма аса кӀанте: „Пхерчий хьуна хьалха Ӏохку“, — алахь, хьо дӀагӀо. Везачу Эло хьуна дӀаваха пурба ло.</verse>
				<verse number="23">Вайшиммо йина йолу чӀагӀонаш йиц ма е. Веза Эла царна даим а Теш ву!»</verse>
				<verse number="24">Дауд аренгахь къайлавелира. Бутт цӀинлучу хенахь хӀоттош долу той дӀадоладелира. Паччахь хӀума яа охьахиира.</verse>
				<verse number="25">Цо ша массо а хенахь хууш волу меттиг дӀалецира. И меттиг пенна уллохь яра. Шаулна дуьхьал ЯхӀуната охьахиира. Ткъа Абунар Шаулна уллохь хиира. Даудан меттиг яьсса яра.</verse>
				<verse number="26">Цу дийнахь Шаула хӀумма а ца элира, хӀунда аьлча цунна дагадеара: «Схьахетарехь, цхьа хӀума хиллачул тӀаьхьа, Дауд Далла хьалха цӀена воцуш нисвелла».</verse>
				<verse number="27">Бутт цӀинлуш болчу денна лерина долу той дӀахьочу шолгӀачу дийнахь а Даудан меттиг яьсса яра. ТӀаккха Шаула ЯхӀунате хаьттира: «Юшайн кӀант селхана а, тахана а тойнехь хӀунда вац?»</verse>
				<verse number="28">ЯхӀунатас Шауле жоп делира: «Дауд, соьгара пурба а даьккхина, Байтлахам-гӀала вахана.</verse>
				<verse number="29">Цо соьга элира: „Сан гергарнаш сан гӀалахь сагӀа доккхуш бу. Сан вашас соьга дӀакхайкхина. Вайшинна юкъахь гергарло делахь, со сайн вежарех кхета вахийтахьара ахьа“. Цундела иза паччахь волчу шуьне ца кхечи».</verse>
				<verse number="30">Шаул шен кӀантана чӀогӀа оьгӀазвахара. Цо ЯхӀунате элира: «Хьо хьайн лартӀехь йоцучу ненах тера ву. Иза а шен лаамехь яра, хьо а иштта ву! Хьо Юшайн кӀантаца гергарло лелош вуйла суна ца хаьа моьтту хьуна? И гергарло хьуна а, хьан нанна а юьхьӀаьржонна хир долуш ду.</verse>
				<verse number="31">Юшайн кӀант дийна мел ву, хьо а, хьан пачхьалкх а лаьттар яц. Иза со волчу схьавалавайта, хӀунда аьлча иза Ӏожаллех вер вац».</verse>
				<verse number="32">ЯхӀунатас Шауле элира: «ХӀунда вуьйш ву иза? Цуьнгара хӀун даьлла?»</verse>
				<verse number="33">ТӀаккха Шаула иза вен дагахь гоьмукъ кхоьссира. Эццахь ЯхӀунатина хиира, Шаула Дауд вен чӀагӀо йинийла.</verse>
				<verse number="34">ЯхӀуната, чӀогӀа оьгӀаз а вахана, хьалагӀаьттира. Бутт цӀинлучу шолгӀачу дийнахь цо яа хӀума ца йиира. Цуьнан бахьана Даудах дог лазар а, шен дас шена йина вас а яра.</verse>
				<verse number="35">Иза, Ӏуьйранна ара а ваьлла, Даудаца ша барт бинчу аренга вахара. Цуьнца цхьа жима кӀант а вара.</verse>
				<verse number="36">Цо кӀанте элира: «Вадий, ваха а гӀой, аса кхуссу долу пхерчий схьалаха». КӀант аренгахула ведда дӀавахара. Амма ЯхӀунатин секхаӀодан пхерчий, цу кӀантана тӀехула а дуьйлуш, дӀаоьхура.</verse>
				<verse number="37">КӀант цо пхерчий охьаэгийначу метте дӀаведира. ЯхӀунатас цунна тӀаьхьа мохь туьйхира: «Хьажал, пха хьуна хьалха Ӏуьллуш бу хьуна».</verse>
				<verse number="38">Юха а кӀантана тӀаьхьа мохь беттара ЯхӀунатас: «Сихха вада! Саца ма саца!» Пхерчий схьа а гулдина, кӀант шен олахочунна тӀевеара.</verse>
				<verse number="39">Цунна иза хӀун ду ца хаьара. Дауданий, ЯхӀунатиний бен ца хаьара цу дешнийн маьӀна.</verse>
				<verse number="40">Шен герз кӀанте дӀа а делла, ЯхӀунатас цуьнга элира: «Вало, гӀала дӀахьо иза».</verse>
				<verse number="41">КӀант дӀавахара. Азал-тӀулгана къилбехьара йолчу агӀорхьара хьала а гӀаьттина, ЯхӀунатина хьалха гора а хӀоьттина, лаьтта кхаччалц кхузза охьатаьӀира Дауд. Вовшашна обанаш а йохуш, воьлхуш вара и шиъ, амма Дауд вукхул чӀогӀа воьлхура.</verse>
				<verse number="42">ЯхӀунатас Дауде элира: «Марша гӀойла хьо. Вайшиммо Везачу Элана хьалха вовшашна чӀагӀо йинера. Веза Эла хьуна а, суна а юкъахь, иштта хьан тӀаьхьенна а, сан тӀаьхьенна а юкъахь гуттаренна а Теш ву».</verse>
				<verse number="43">Хьала а гӀаьттина, Дауд дӀавахара, ткъа ЯхӀуната гӀала юхавирзира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="21">
				<verse number="1">Нуб-гӀалара динан да волу Ахьи-Малик волчу кхечира Дауд. Иза шена гича, Ахьи-Малика цецваларца цуьнга хаьттира: «Хьо-хьо хӀунда ву? Хьоьца цхьа а хӀунда вац?»</verse>
				<verse number="2">Дауда цуьнга элира: «Паччахьо цхьа гӀуллакх тӀедиллина суна. Цо соьга элира: „Цхьанна а ма хаийта хьо хӀунда вахийтина ву а, аса хьайна тӀедиллинарг а“. Ткъа сайн накъосташца аса барт бина, оха билгалъяьккхинчу меттехь вовшахкхетар ду аьлла.</verse>
				<verse number="3">Ткъа хӀинца ахьа суна пхи бепиг я хьайн куьйга кӀелахь йолу яа хӀума яла еза».</verse>
				<verse number="4">Динан дас Дауде элира: «Дац сан хьуна дала бепиг, деза бепиг бен. Хьан накъостий тӀаьхьарчу хенахь зударех кхетаза белахь, иза дӀахьо».</verse>
				<verse number="5">Дауда динан дега элира: «Зударий тхоьца ца хилла. ХӀоразза а со сайн накъосташца араволучу хенахь, оха Далла хьалха цӀеналла лар а йо, тхайна тӀедиллинарг кхочуш ца дойту хӀума а ца до. Иштта тахана а оха леррина Далла хьалха цӀеналла ларйина, тхаьшна тӀедиллинарг кхочушдархьама».</verse>
				<verse number="6">Динан дас шен кхин бепиг доцу дела, цунна деза бепиг делира. Иза Делан цӀа чуьра Везачу Элана хьалха охьадиллина долу бепиг дара. Цу дийнахь цуьнан метта керла бепиг охьадиллина хилла.</verse>
				<verse number="7">Цу дийнахь кхузахь Везачу Элана хьалха нисвеллера Шаулан ялхойх волу ДуагӀа цӀе йолу эдомхо. Иза Шаулан жаӀушна тӀехӀоттийна вара.</verse>
				<verse number="8">Дауда Ахьи-Малике элира: «ТӀекхочехь гоьмукъ я тур дац хьан? Паччахьо сайна тӀедиллинарг дукха сиха кхочушдан дезаш а хилла, аса сайца я тур а, я кхин йолу хӀума а схьа ца эцна».</verse>
				<verse number="9">Динан дас элира: «Ахьа Эла-тогӀи чохь вийна пӀелаштамхо волчу ГӀолиатан хӀара тур ду хьуна. Езачу ийпадна тӀехьа бедаршна юккъе а хьарчийна Ӏуьллуш ду иза. Хьайна лаахь, иза схьаэца. Кхин хӀумма а яц кху чохь». Дауда элира: «И санна дерг кхин хир а дац. Схьало иза соьга».</verse>
				<verse number="10">Цу дийнахь Дауд Шаулах ведда дӀавахара. Иза Гати-гӀалара паччахь Ахаш волчу вахара.</verse>
				<verse number="11">Ахашан ялхоша цуьнга хаьттира: «Исраилан махкара паччахь-м вац иза? Халхарш дечу хенахь цунна лоькхуш-м яц те и эшарш: „Шаула эзарнаш байина, ткъа Дауда — итт эзарнаш“, — бохуш?»</verse>
				<verse number="12">И дешнаш Даудан дагахь кхийтира. Цундела иза Гати-гӀалин паччахьах Ахашах кхоьрура.</verse>
				<verse number="13">Иза, паччахьна а, цуьнан ялхошна а хьалха ша хьераваьлла моттуьйтуш, волавелира. Цо неӀарш тӀехь яздора, шен можана тӀехула шеташ охьаоьхуьйтура.</verse>
				<verse number="14">ТӀаккха Ахаша шен ялхошка элира: «Хьажал цуьнга. И стаг хьераваьлла ву. ХӀунда валийна аша иза со волчу?</verse>
				<verse number="15">Я сан хьерабевлларш кӀезиг бу, суна хьалха дастама хӀуманаш цуьнга леладайттал? Сан цӀа чу-м вер ма хир вац иза?»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="22">
				<verse number="1">Цигара ведда, Дауд Ӏадуламарчу хьеха чу вахара. Иза шайна хезча, цуьнан вежарий а, цуьнан цӀийнан нах а хӀара волчу баьхкира.</verse>
				<verse number="2">Дауд волчу схьагулбелира гӀело йинарш а, декхарийла бахнарш а, дуьненах дог диллинарш а. Дауд царна тӀехь хьаькам хилла дӀахӀоьттира, хӀинца кхуьнца виъ бӀе гергга стаг вара.</verse>
				<verse number="3">Цигара ваьлла, Дауд Муабин МицӀпа-гӀала вахара. Цо муабахойн паччахье элира: «Сан дай-наний хьо волчохь дитахьара ахьа, Дала сайна хӀун до суна хаъалц».</verse>
				<verse number="4">Уьш, муабахойн паччахь волчу схьа а балийна, цигахь битира Дауда. Иза шен чӀагӀйина меттиг йолчохь мел Ӏа, цуьнан дай, наний цигахь Ӏийра.</verse>
				<verse number="5">Амма пайхамар волчу Гадас Дауде элира: «Хьо хӀара лочкъийла йолчохь ма Ӏе. Вало, ЯхӀудан махка дӀагӀо». Цигара дӀа а ваьлла, Дауд дӀавахара. Иза Хьарат олуш йолчу хьуьнах кхечира.</verse>
				<verse number="6">Шаулна хезира, Дауд а, цуьнца болу нах а гучубевлла аьлла. Иза цу хенахь ГебаӀ-гӀалахь цхьана лам тӀехь тамариск цӀе йолу дитта кӀелахь Ӏаш вара. Шаулан карахь гоьмукъ бара, цунна гонахьа бевлла цуьнан накъостий а бара.</verse>
				<verse number="7">Шаула шена гонахьа болчу шен ялхошка элира: «ЛадогӀа соьга, бен-яманхой. Оцу Юшайн кӀанта шуна массарна а кемсийн а, ялтийн а аренаш лур ю моьтту шуна, я эзарнаш а, бӀенаш а карахь а болуш шу хьаькамаш бина дӀахӀиттор ду моьтту шуна?</verse>
				<verse number="8">Шу массо а суна дуьхьал хӀунда девлла? Шух цхьаммо а, соьга схьа хӀунда ца аьлла, сан кӀант Юшайн кӀантаца гергарло лело барт бина лелаш ву аьлла? Шух цхьаммо а сох къинхетам а бина, соьга схьа ма ца аьлла, сан лай волу Юшайн кӀант, хӀинца ма-хиллара, со вен бахьана лоьхуш вуйла а, сан кӀанта иза суна дуьхьал ваьккхина хилар а».</verse>
				<verse number="9">Шаулан гонах болчарна юкъахь лаьтташ волчу эдомхочо ДуагӀа элира: «Суна Нуб-гӀалахь гира Ахьтубин кӀант Ахьи-Малик волчу веана волу Юшайн кӀант.</verse>
				<verse number="10">Ахьи-Малика иза Везачу Эле вийхира, цунна яа хӀума а, пӀелаштамхо волчу ГӀолиатан тур а дӀаделира».</verse>
				<verse number="11">Паччахьо Ахьтубин кӀанте Ахьи-Малике кхайкха бахийтира, иштта Нуб-гӀалара церан цӀийнах мел волу динан да а схьакхайкхира. Уьш шаберш а паччахь волчу схьабаьхкира.</verse>
				<verse number="12">Шаула элира: «ЛадогӀал соьга, Ахьтубин кӀант». Вукхо жоп делира: «ЛадугӀуш ву, сан эла».</verse>
				<verse number="13">Шаула элира: «Хьой, Юшайн кӀанттий барт а бина, суна дуьхьал стенна ваьлла? Иза Деле веха а воьхуш, цунна бепиггий, туррий хӀунда делла ахьа? Ахьа иза суна дуьхьал хӀунда ваьккхина, тахана гуш ма-хиллара, цуьнга суна кӀело яйта?»</verse>
				<verse number="14">Ахьи-Малика, паччахье жоп луш, элира: «Мила ву хьан хьаькамашна юкъахь Дауд санна хьуна тешаме верг? Иза паччахьан нуц а ву, ахьа тӀедиллинарг кхочушдеш верг а ву, хьан цӀийнах болчара лоруш а ву.</verse>
				<verse number="15">ХӀинца бен ца волавелла со иза Деле веха? Цу тӀехь сох а, сан цӀийнах болчарах а бехк ма баккхахьара ахьа, хӀунда аьлча цу доллучу хӀуманах хьан лай волчу суна хӀумма а ца хаьа».</verse>
				<verse number="16">Паччахьо элира: «Ахьи-Малик, хьо вала веза. Хьо а, хьан массо а гергарнаш а!»</verse>
				<verse number="17">Шена уллохь лаьтташ болчу гӀаролхошка паччахьо элира: «Дуьйло, Везачу Элан динан дай байа. Уьш Даудаца бу. Иза веддийла шайна хуъушехь, цара соьга хаам ца бина». Амма паччахьан гонах болчарна ца лиира Везачу Элан динан дайшна тӀе куьг дахьа.</verse>
				<verse number="18">ТӀаккха паччахьо ДуагӀе элира: «Ваха а гӀой, и динан дай байа». Эдомхо волчу ДуагӀа, ваха а вахана, динан дай байира. Цу дийнахь цо везткъе пхиъ еза ийпад лелош волу стаг вийра.</verse>
				<verse number="19">Динан дай Ӏийна йолчу Нуб-гӀалара адам а хӀаллакдира цо шен туьраца. Царна юкъахь зударий, божарий, кӀегий нах а, бераш а дайира цо. Стерчий, варраш, уьстагӀий дайина дӀадехира, тур детташ.</verse>
				<verse number="20">Царна юкъара, Ахьтубин кӀентан Ахьи-Маликан кӀант волу Абу-ЯтӀари бен, цхьа а кӀелхьара ца велира. Иза, ведда, Дауд волчу дӀавахара.</verse>
				<verse number="21">Абу-ЯтӀарис Дауде дӀадийцира Шаула Везачу Элан динан дай байина хиларх лаьцна.</verse>
				<verse number="22">Дауда Абу-ЯтӀарига элира: «Цу дийнахь суна цигахь эдомхо волу ДуагӀ гира. Суна хаьара, цо Шауле мотт тухур буйла. Со ву хьан ден доьзал байина хиларна бехке.</verse>
				<verse number="23">Со волчохь саца, кхера а ца кхоьруш. Хьо вен гӀерташ волчунна со вен а луур ду, цундела со хьуна Ӏуналла деш хир ву».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="23">
				<verse number="1">Дауде хаам бира: «ПӀелаштамхой, КъаӀила-гӀалина тӀе а летта, хьаьттаршкара ялта лечкъош бу», — аьлла.</verse>
				<verse number="2">Дауда Везачу Эле хаттар дира: «Со цига ваха везий те? Эшалур буй те соьга и пӀелаштамхой?» — аьлла. Везачу Эло цуьнга жоп делира: «ГӀо, пӀелаштамхой хьоьга эшалур бу, КъаӀила-гӀала ахьа кӀелхьар а йоккхур ю».</verse>
				<verse number="3">Амма Даудаца болчара элира: «Кхузахь, ЯхӀуд-махкахь а, кхоьруш ду вай. КъаӀила-гӀала а дахана, вай пӀелаштамхойн эскарна дуьхьалхӀиттича, кхин а кхераме хир ма ду!»</verse>
				<verse number="4">ТӀаккха Дауд юха а Везачу Элах дагавелира. Цо Дауде элира: «Хьала а гӀаттий, КъаӀила-гӀала дӀагӀо. Аса пӀелаштамхой хьан кара дӀалур бу».</verse>
				<verse number="5">Шеца болчаьрца цхьаьна Дауд КъаӀила-гӀала вахара, цо пӀелаштамхошца тӀом а болийра, церан даьхни лаьхкина дӀа а дигира, уьш эша а бира. Иштта Дауда КъаӀила-гӀалара болу бахархой пӀелаштамхойн баланах кӀелхьарбехира.</verse>
				<verse number="6">Ахьи-Маликан кӀант Абу-ЯтӀари, ведда, Дауд волчу схьавогӀучу хенахь, цо шеца еза ийпад а схьаеанера.</verse>
				<verse number="7">Дауд КъаӀила-гӀалахь ву аьлла, Шауле хаам бича, цо элира: «Дала сан кара схьавелла иза. Цо ша-шена бохам баьккхина, гӀорашца къовлуш долчу кевнашца чӀагӀйина йолчу гӀали чу а вахана».</verse>
				<verse number="8">Шен берриг а эскархой тӀаме кхайкхира Шаула, КъаӀила-гӀалина го а бина, Дауд а, цуьнца берш а дӀалаца дагахь.</verse>
				<verse number="9">Шена дуьхьал Шаул зуламе долу хӀума лело воллий хиъча, Дауда динан да волчу Абу-ЯтӀарига элира: «Схьая и ийпад».</verse>
				<verse number="10">Цул тӀаьхьа Дауда элира: «Исраилан халкъан Веза Дела! Хьан лена хезна, Шаул, КъаӀила-гӀала а веана, со бахьана долуш и гӀала хӀаллакьян гӀерта аьлла.</verse>
				<verse number="11">КъаӀила-гӀаларчу бахархоша со Шаулан кара дӀалур вуй теша? ВогӀур вуй теша кхуза Шаул, Хьан лай волчунна ма-хаззара? Исраилан халкъан Веза Дела! Жоп лохьа Хьан лай волчунна». Везачу Эло жоп делира: «ВогӀур ву».</verse>
				<verse number="12">Дауда хаттар дира: «КъаӀила-гӀаларчу бахархоша со а, соьца болу нах а Шаулан кара дӀалур буй?» Везачу Эло элира: «ДӀалур бу».</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха Дауд а, цуьнца хилла волу ялх бӀе стаг а, КъаӀила-гӀалара ара а ваьлла, маьӀ-маьӀӀехула лийлира. Шауле хабар кхечира, Дауд КъаӀила-гӀалара ведда дӀавахна аьлла. ТӀаккха иза, ша болийна некъ ца беш, сецира.</verse>
				<verse number="14">Зип цӀе йолчу яьссачу арахь йолчу чӀагӀйинчу меттигашкахула а, лаьмнашкахула а лелаш вара Дауд. Шаул иза хӀора дийнахь лохуш вара, амма Дала цуьнан кара ца вохуьйтура Дауд.</verse>
				<verse number="15">Даудана гуш дара, Шаул ша вен араваьлла хилар. Цу хенахь Дауд Зип олучу яьссачу арахь йолчу Хьорша цӀе йолчу меттехь вара.</verse>
				<verse number="16">Иза волчу веара Шаулан кӀант ЯхӀуната. Цо Дауд иракарахӀоттийра, Делах тешарца чӀагӀло аьлла.</verse>
				<verse number="17">Цо элира: «Ма кхера. Сан ден Шаулан куьг хьуна тӀекхочур дац. Исраилан махкахь паччахь хир ву хьо, ткъа со хьуна уллохь шолгӀа меттиг дӀалаьцна хир ву. Сан дена Шаулна иза хууш ду».</verse>
				<verse number="18">Цу шиммо Везачу Элана хьалха барт бира. Дауд Хьорша олучу меттехь висира, ткъа ЯхӀуната шен цӀа вахара.</verse>
				<verse number="19">Шаул волчу ГебаӀ-гӀала баьхкира зипахой. Цара элира: «Дауд тхо долчохь чӀагӀйинчу меттигашкахь: Хьорша олучу меттехь а, Яшимунна къилбехьа Ӏуьллуш болчу Хьахила-барза тӀехь а дӀалечкъаш лелаш ву.</verse>
				<verse number="20">Хьайн даго билгалъяьккхинчу хенахь дӀавола, ткъа тхуна тӀехь иза хьан кара дӀавалар ду».</verse>
				<verse number="21">Шаула цаьрга элира: «Декъалдина ду шу Везачу Эло, аша сох къинхетам бина дела.</verse>
				<verse number="22">Даха а гӀой, иза билггала мичахь ву хьовса. Цунах лаьцна мел дерг а суна схьада, иза мичахь ву а хьовса, хьанна гина а хьовса. Соьга дийцина, иза чӀогӀа хӀилла долуш ву аьлла.</verse>
				<verse number="23">Иза мичахь хуьлу, мичахь дӀалечкъа дикка хьовса. Цунах билггала бакъдерг дахьаш схьадуьйла. ТӀаккха со а вогӀур ву шуьца. Иза кху лаьтта тӀехь велахь, аса лохур ву, массо а ЯхӀуд-махкахь болчу доьзалшна юкъахь лаха везахь а».</verse>
				<verse number="24">Уьш Шаулал хьалха Зипе дӀакхечира. Ткъа Дауд шеца болчу нахаца МаӀун олучу яьссачу аренгахь вара. И аре Яшимунара дӀа къилбехьа, Ӏариба-тогӀенахь, Ӏуьллуш яра.</verse>
				<verse number="25">Шаул шеца болчу нахаца цхьаьна иза лаха вахара. Амма Дауде хаам бинера цунах лаьцна, цундела иза аренгахь лаьтташ йолчу тарх тӀе а вахана, МаӀун-аренгахь сецира. Иза шена хиъча, Шаул Даудана тӀаьхьа МаӀун-аренга вахара.</verse>
				<verse number="26">Шаул ломан цхьана агӀонгахула дӀавоьдуш вара, ткъа Дауд шен накъосташца вукху агӀор вара. Дауд сихвелла Шаулах къаьхкина воьдуш вара, ткъа Шаул шеца болчаьрца, ломана го баккхале хьалха, уьш схьалаца воьдуш вара.</verse>
				<verse number="27">Эццахь Шаул волчу геланча кхечира, иштта хаам бахьаш: «Сихха схьавола! ПӀелаштамхой вайн махкана тӀелетта!»</verse>
				<verse number="28">И хаам шега схьакхаьчначул тӀаьхьа, Шаул пӀелаштамхошна дуьхьал вахара, Даудана тӀаьхьаваьллачуьра дӀа а ваьлла. И меттиг цундела, СилаӀ-ХӀамахьлекхут аьлла, цӀе тиллина ю (иза «декъаран тарх» бохург ду).</verse>
			</chapter>
			<chapter number="24">
				<verse number="1">Цигара ша дӀавахча, Дауд, Ӏейн-ГӀади йолчу а вахана, цигахь йолчу чӀагӀйинчу меттигашкахь зама йоккхуш вара.</verse>
				<verse number="2">Шаул пӀелаштамхой болчуьра юхавирзича, цуьнга хаам бира: «Дауд Ӏейн-ГӀади олучу яьссачу аренгахь ву», — аьлла.</verse>
				<verse number="3">Иза, массо а ЯхӀуд-махкара схьагулвина волу кхо эзар тоьлла боьрша стаг шеца а волуш, ДаудгӀар лаха вахара. Иза «масарийн тархаш» цӀе йолчу меттигна уллохь дара.</verse>
				<verse number="4">Уьш некъан йистехь лаьтташ йолчу уьстагӀий чулохкучу керта кхечира. Цигахь гена йоццуш хьех яра. Шаул шен гӀуллакх дан цу хьеха чу вахара. Ткъа Дауд а, цуьнца берш а геннахь цу хьеха чохь Ӏаш бара.</verse>
				<verse number="5">Даудаца болчара цуьнга элира: «ХӀара ду хьуна Везачу Эло хьоьга дийцина долу де: „Аса хьан мостагӀа хьан кара дӀалур ву. Хьайна луъург де цунах“». Дауда, хьала а гӀаьттина, Шаулан тӀехула юхучу бедарх кийсак схьахадийра.</verse>
				<verse number="6">Ша и хӀума дар бахьана долуш дага чу лазам боьссира Даудана.</verse>
				<verse number="7">Цо шеца болчаьрга элира: «Везачу Эло доьхкийла суна Ша къобалвина волчу сан олахочунна тӀе куьг дахьар, хӀунда аьлча иза Везачу Эло къобалвинарг ву».</verse>
				<verse number="8">Цу дешнашца цо шеца берш сацийра, Шаулна тӀе куьг ца кховдадойтуш. Ткъа Шаул, хьала а гӀаьттина, хьеха чуьра ара а ваьлла, некъа тӀе велира.</verse>
				<verse number="9">Дауд а хьалагӀаьттира. Хьеха чуьра ара а ваьлла, цо Шаулна тӀаьхьа мохь туьйхира: «Сан паччахь волу олахо!» — аьлла. Шаул юхахьаьжча, Дауд, цунна лаьтта кхаччалц охьа а таьӀна, гора хӀоьттира.</verse>
				<verse number="10">Дауда Шауле элира: «„Дауд хьуна зулам дан гӀерташ ву“ — бохуш, хьайга мотт беттачу нахе ла хӀунда дугӀу ахьа?</verse>
				<verse number="11">Тахана хьан бӀаьргашна гуш ма ду, эццахь йолчу хьеха чохь Везачу Эло хьо сан кара схьавелла хилар. Соьга, хьо ве бохуш, хьехарш деш берш а бара хьуна. Амма аса, хьох къинхетам беш, элира: „Аса сайн олахочунна тӀе куьг хьур дац, хӀунда аьлча иза Везачу Эло къобалвинарг ву“.</verse>
				<verse number="12">Сан да! Сан карахь йолчу хьайн бедаран кийсаке хьажахьа, аса схьахадийна йолчу. И аьтто сайна баьлла боллушехь, аса хьо ца вийра. ХӀинца мукъана а хаахьара хьуна сан дага чохь хьо бахьана долуш я вон хӀума а, я ямартло а йоцийла. Аса хьо бахьана долуш къа ца латийна, ткъа хьо сан синна тӀаьхьаваьлла ву, иза дӀадаккха лууш.</verse>
				<verse number="13">Везачу Эло къастайойла вайшиннан юкъаметтиг. Дала бекхам бойла хьуна со бахьана долуш. Амма сан куьг-м хьакхалур дац хьох.</verse>
				<verse number="14">Хьалхалерчу заманчохь ма-аллара: „Зулам зуламечу нахера бен ца долу“. Аса хьуна тӀе куьг хьур дац.</verse>
				<verse number="15">Хьанна дуьхьалваьлла Исраилан паччахь? Хьанна тӀаьхьаваьлла лелаш ву хьо? Деллачу жӀаьлина тӀаьхьаваьлла, цхьана сагална тӀаьхьаваьлла?</verse>
				<verse number="16">Везачу Эло Шен кхелаца нийсо йойла вайшинна юкъахь. Цо, Ша тӀе а хьаьжна, сан гӀуллакх къастор ду, со хьан куьйга кӀелхьара схьа а воккхуш».</verse>
				<verse number="17">Дауд и дешнаш дӀааьлла ваьллачул тӀаьхьа, Шаула цуьнга элира: «Хьан аз дуй иза, сан кӀант Дауд?» Цул тӀаьхьа Шаул мохь туххуш велха волавелира.</verse>
				<verse number="18">Цо Дауде элира: «Хьо сол бакъ ву, хӀунда аьлча хьо суна дика деш схьавеана, ткъа аса хьуна вонаш дина.</verse>
				<verse number="19">Тахана ахьа иза гайти. Везачу Эло со хьайн кара дӀавелла воллушехь, сох къинхетам а бина, ахьа со вен ца вийра.</verse>
				<verse number="20">Хьан вохуьйтур вара шен мостагӀа, шена каравеача, маьршачу новкъахула дӀа? Везачу Элера ял хир ю хьуна ахьа тахана сан дуьхьа динарг бахьана долуш.</verse>
				<verse number="21">Суна хӀинца хаьа паччахьалла хьоьгахь хир дуйла а, Исраилан пачхьалкх хьан карахь чӀагӀъелла дӀахӀуттур юйла а.</verse>
				<verse number="22">Ткъа хӀинца Везачу Элан цӀарах дуй баа беза ахьа суна, со веллачул тӀаьхьа сан хӀу айхьа хӀаллакдийр дац аьлла а, сан ден доьзалан цӀе йовр яц аьлла а».</verse>
				<verse number="23">Дауда Шаулна и чӀагӀо йира. Шаул шен цӀа вахара, ткъа Дауд шеца болчаьрца шаьш чӀагӀйинчу меттиге хьалавелира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="25">
				<verse number="1">Шамъал кхелхира. Массо а исраилхо иза дӀаверзо схьагулвелира. Белхаршца, чӀогӀа халахетарца иза шен цӀахь, Рамехь, дӀавоьллира цара. Дауд, хьала а гӀаьттина, лам тӀера Паран олучу яьссачу аренга охьавоьссира.</verse>
				<verse number="2">МаӀунахь Ӏаш чӀогӀа вехаш волу цхьа стаг вара. Цуьнан хӀусамех цхьаъ Кармал-юьртахь яра. Цу стеган долахь кхо эзар уьстаггӀий, цхьа эзар газий яра. Иза Кармал-юьртахь шен жа лоргучохь вара.</verse>
				<verse number="3">Цу стеган цӀе Набал яра, цуьнан зудчун цӀе АбигӀал яра. ЧӀогӀа хьекъал долуш а, юьхь тӀера хаза а яра и зуда, ткъа и стаг чӀогӀа къиза а, дера а вара. Иза ша Килабан тӀаьхьенах вара.</verse>
				<verse number="4">Цу яьссачу аренгахь Даудана хезира, Набал шен уьстагӀий лоргуш ву аьлла.</verse>
				<verse number="5">Дауда итт жима стаг вахийтира, царна тӀе а дуьллуш: «Кармал-юьрта чу а довлий, Набал волчу а гӀой, сан цӀарах салам-маршалла дӀало цуьнга.</verse>
				<verse number="6">Набале иштта ала: „Маьрша хуьлда хьо, маьрша хуьлда хьан мел долу хӀума а.</verse>
				<verse number="7">Суна дукха хан йоццуш хезнера, хьо волчохь уьстагӀий лоргуш ду аьлла. Тхоьца болу хьан жаӀуй оха охьа а ца теӀийнера, церан цхьа а хӀума ян а ца яйнера, уьш тхоьца Кармал-юьрта уллохь болчу хенахь.</verse>
				<verse number="8">Хьайн ялхошка хатта мегар ду хьуна иза, цара эр ду хьоьга цунах лаьцна бакъдерг. Хьо а хилахьара къинхетаме аса дӀабахкийтинчу кегийчу нахаца: тхо той хӀотточу дийнахь даьхкина хьуна. Хьайн куьйгана карош ерг лохьа хьайн лешна а, хьайн кӀант волчу Даудана а“».</verse>
				<verse number="9">Дауда бахийтинчара Набале и къамел Даудан цӀарах дӀадира, тӀаккха уьш тап-аьлла дӀатийра.</verse>
				<verse number="10">Амма Набала Даудан ялхошка реза воцуш жоп делира: «Дауд мила ву? Мила ву Юшайн кӀант? ТӀаьхьарчу хенахь дукха лай бевлла, шайн олахойх уьдуш болу.</verse>
				<verse number="11">УьстагӀий лоргуш болчарна аса кечдина долу бепиг а, хи а, жижиг а дӀадала деза те аса сайна мичара бевлла а ца хууш болчу нахана?!»</verse>
				<verse number="12">Дауда бахийтина болчара, шаьш дӀабаханчу новкъахула юха а баьхкина, шайна хезна долу дешнаш Дауде дӀадийцира.</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха Дауда шен нахе элира: «ХӀораммо а шен юкъах тур дӀадехка». Массара а шайн юкъах герз дихкира. Дауда а дӀадихкира шен юкъах тур. Виъ бӀе стаг Даудана тӀаьхьахӀоьттира, ткъа ши бӀе стаг шаьш схьаеана йолчу хӀуманашна уллохь сецира.</verse>
				<verse number="14">Набалан зудчуьнга АбигӀале церан цхьана ялхочо хаам беш элира: «Дауда яьссачу аренгара шен векалш бахкийтинера вайн олахочуьнга маршалла хоттуш, амма цо уьш, чӀогӀа юьхь йоцуш вист а хилла, дӀабахийти.</verse>
				<verse number="15">И нах тхоьца чӀогӀа дика бара, цара тхо хьийза а ца дора. Уьш тхуна уллохь арахь болчу хенахь тхан цхьа а хӀума а ца яйнера.</verse>
				<verse number="16">Оха царна уллохь даьхни дажочу хенахь уьш, тхо лар а деш, Ӏалаш а деш, гобаьккхина болу пен санна лаьттара.</verse>
				<verse number="17">Ойла а яй, хьажа вай хӀун дан деза, хӀунда аьлча вайн олахо а, цуьнан дерриг цӀа а кхерамехь ду. Амма иза чӀогӀа вон стаг ву, цуьнга цхьа а вистхила ца ваххьал».</verse>
				<verse number="18">ТӀаккха АбигӀала катоьхна ши бӀе бепиг а, чохь чагӀар долу ши пӀаьлдиг а, кечбина болу пхи уьстагӀ а, пхи сахь кхерзина кӀен буьртигаш а, бӀе курс кишмаш а, Ӏаьвдина инжирийн ши бӀе курс а схьа а эцна, сихонца уьш варрашна тӀеехкира.</verse>
				<verse number="19">Цо шен ялхошка элира: «Суна хьалха а довлий, дӀагӀо, со тӀаьхьа йогӀур ю шуна». Набале цо хӀумма а ца элира.</verse>
				<verse number="20">АбигӀал, вир тӀе а хиъна, ломарчу тача-некъахула охьайогӀуш, некъ дӀабоьрзучу меттехь цунна дуьхьалкхийтира Дауд а, цуьнца болу нах а.</verse>
				<verse number="21">Цул хьалха Дауда аьллера: «Аса яьссачу аренгахь эрна лардина хилла цу стеган хьал, цунна тӀера цхьа а хӀума гал а ца долуьйтуш. Диканна дуьхьал вон доккху цо.</verse>
				<verse number="22">Дала, Шен лааме хьаьжжина, луьра таӀзар дойла сан мостагӀашна, кханалера Ӏуьйре тӀекхачале, аса Набалан цӀентӀера цхьа а боьрша стаг дийна витахь».</verse>
				<verse number="23">Дауд шена гича, АбигӀал, сихха вирана тӀера охьа а йоьссина, Даудана хьалха гора юьйжира, лаьтта кхаччалц шен корта охьа а таӀош.</verse>
				<verse number="24">Цуьнан когаш хьалха охьа а йоьжна, цо элира: «Сан эла, бехк суна тӀехь хуьлийла! Хьан лай ерг хьайга йистхилийтахьара ахьа, соьга ла а догӀахьара.</verse>
				<verse number="25">Сан олахо, Набал боху и вон стаг, тергал а ца веш, витахьара ахьа. Шен цӀе иштта хиларе терра — ша а ма ву иза. Цуьнан цӀе, Набал, „Ӏовдал“ бохучух терра ю, ткъа, бакъдерг аьлча, и Ӏовдалалла цуьнца ю. Ткъа хьан лай йолчу суна ахьа бахкийтина болу хьан ялхой ца гина.</verse>
				<verse number="26">Ткъа хӀинца, сан олахо, дийна волчу Везачу Элах а, хьох а чӀагӀо йо ас, Везачу Эло хьоьга цӀий Ӏана ца дайтина а, бекхам ца байтина а хиларна, хьан мостагӀий а, хьуна дуьхьал мостагӀалла лелош берш а Набал санна хилла дӀахӀуьттийла!</verse>
				<verse number="27">ХӀара совгӀаташ хьан лай йолчу аса сайн олахочунна деана ду, цунна гӀуллакх деш лелаш болчу кегийчу нахана дӀадала.</verse>
				<verse number="28">Хьан лай йолчу суна къинтӀера валахьара хьо. Везачу Эло сан олахочун тӀаьхье билггал чӀагӀйина дӀахӀоттор ю, хӀунда аьлча Везачу Элан тӀемаш схьабахьаш вогӀуш ву сан олахо. Хьо мел веха зуламе дерг ца даьлла хьох.</verse>
				<verse number="29">Нагахь санна хьо вен дагахь хьуна цхьаъ дуьхьалвалахь, сан олахочун са хьан Везачу Делан дахаран шедан юккъехь дӀадихкина хир ду, ткъа хьан мостагӀийн са Цо, ширдолагца кхоьссича санна, дӀакхуссур ду.</verse>
				<verse number="30">Веза Эла Ша лерина долу массо а дика сан олахочунна дина ваьлча, Цо иза Исраилан халкъана тӀе баьчча вина дӀахӀоттор ву.</verse>
				<verse number="31">Ша бехк боцучеран цӀий Ӏанийна аьлла а, иштта бекхам ца беш, кӀелхьарваьлла аьлла а, чов хир яц сан олахочун дага тӀехь. Везачу Эло сан олахочунна дика дича, хьан лай ерг хьуна дагайогӀийла».</verse>
				<verse number="32">Дауда АбигӀале элира: «Хастам бу Исраилан халкъан Везачу Далла, хьо хӀинца суна дуьхьал яийтина волчу!</verse>
				<verse number="33">Декъала хуьлда хьан хьекъал а, хьо-хьуо а, бекхам беш соьга эрна цӀий ца Ӏанадайтина йолу.</verse>
				<verse number="34">Амма дийна волчу а, соьга хьуна зулам ца дайтина волчу а Исраилан халкъан Везачу Делах чӀагӀо йо ас, тахана хьо сихъелла суна дуьхьал еана ца хиллехь, Набалан цӀийнах волу цхьа а боьрша стаг кханалерчу Ӏуьйренга ваьлла хир ма вацара».</verse>
				<verse number="35">Дауда цуьнан карара цо еана йолу хӀуманаш схьаийцира. Цо элира: «Маьрша хьайн цӀа дӀагӀо. Хьоьга ла а доьгӀна, аса хьан юьхь ларйина».</verse>
				<verse number="36">АбигӀал Набал волчу схьаеара. Ткъа кхеран цӀахь доккха той дара. Набалан дог сакъералуш дара, иза чӀогӀа вехна а вара. Ӏуьйре тӀекхаччалц, доца а, деха а цхьа дош ца элира АбигӀала Набале.</verse>
				<verse number="37">Ӏуьйранна, Набал метта веанчу хенахь, зудчо дерриге а дӀадийцира цуьнга. Дог чӀогӀа тохаделла, иза, тӀулг санна, чӀагӀвелла дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="38">Итт де даьлча, Везачу Эло туьйхира Набална, иза велира.</verse>
				<verse number="39">Даудана, Набал велла аьлла, дӀахезира. Цо элира: «Хастам бу Везачу Элана, со юьхьӀаьржачу хӀотто гӀиртина волчу Набална таӀзар дина волчу а, вон ца дойтуш, Шен лай кӀелхьарваьккхина волчу а Везачу Эло Набалан зулам цуьнан шен коьрта тӀе дерзийна». АбигӀале, иза шена маре дӀаюьгу ша аьлла, дӀаала бахийтира цо.</verse>
				<verse number="40">Даудан ялхоша, АбигӀал йолчу Кармала а баьхкина, цуьнга элира: «Дауда дахкийтина тхо хьо шена маре дӀайига».</verse>
				<verse number="41">Цо, хьала а гӀаьттина, корта лаьтта кхаччалц охьа а таӀийна, элира: «Хьан лай кийча ю шен элан ялхойн когаш била а».</verse>
				<verse number="42">АбигӀал, сихонца кеч а елла, вирана тӀехиира. Цунна тӀаьхьахӀоьттина пхи ялхо яра. Дауда бахкийтинчаьрца дӀа а яхана, цуьнан зуда хилла дӀахӀоьттира иза.</verse>
				<verse number="43">ИзраӀал-юьртара АхьнуӀмат а дӀайигира Дауда. Цу шиннах цуьнан зударий хилира.</verse>
				<verse number="44">Ткъа Шаула Даудан зуда йолу шен йоӀ Михула Галламерчу Лайшин кӀант волчу Палтиале дӀаелла хилла.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="26">
				<verse number="1">Зипахоша, Шаул волчу ГебаӀе а баьхкина, элира: «Дауд тхо долчохь, Яшимунан дозанна уллохь болчу Хьахила-барза тӀехь, къайлаваьлла лелаш ву».</verse>
				<verse number="2">Шаул, хьала а гӀаьттина, Зип олучу яьссачу аренга охьавеара. Цуьнца цхьаьна исраилхошна юкъара тоьлла волу кхо эзар тӀемало а вара. Уьш Зипахь Дауд лаха арабевллера.</verse>
				<verse number="3">Шаул Яшимунан дозанна уллохь болчу Хьахила-барза тӀехь сецира, некъана генахь воццуш. Ткъа цу арахь Ӏаш волчу Даудана гуш дара, Шаул шена тӀаьхьавеана хилар.</verse>
				<verse number="4">Дауда, цига шен тергамча а вахийтина, ладоьгӀча, цунна хиира и веанарг билггал Шаул вуйла.</verse>
				<verse number="5">Хьала а гӀаьттина, Шаул шен эскарца сецначу метте вахара Дауд. Цунна гира Шаул а, цуьнан эскаран хьаькам волу Неран кӀант Абунар а вижина Ӏуьллуш йолу меттиг. Шаул четар чохь вижина Ӏуьллуш вара, ткъа цуьнца долу адам цу четарна гонах шайн четарш чохь дара.</verse>
				<verse number="6">Дауда хьетахо волчу Ахьи-Малике а, Йоабан ваша волчу Царуятан кӀанте Абушайга а элира: «Мила вогӀу соьца Шаулан меттаматте?» Абушайс элира: «Со вогӀур ву хьоьца».</verse>
				<verse number="7">Дауд Абушайца цхьаьна буьйсанна уьш болчу вахара. Царна гира четар кӀелахь вижина Ӏуьллуш волу Шаул. Цуьнан гоьмукъ гӀовланна уллохь лаьттах боьллина бара. Абунар а, вуьш а гонах бийшина Ӏохкуш бара.</verse>
				<verse number="8">Абушайс Дауде элира: «Дала хьан мостагӀа хьан кара схьавелла. Соьга иза, цкъа гоьмукъ тоьхна, лаьттах дӀалатавайтахьа. Аса цунна шолгӀа тухур яц хьуна».</verse>
				<verse number="9">Амма Дауда Абушайга элира: «Ма ве иза. Мила висина Везачу Эло къобалвинчунна тӀе куьг даьхьнарг бекхам ца хуьлуш?</verse>
				<verse number="10">Дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо ас, Цо Ша цунна бекхам бийр бу. Иза лийр волу де тӀекхочур ду, я, тӀам тӀе а вахана, цигахь лийр ву иза.</verse>
				<verse number="11">Ткъа Везачу Эло суна доьхкийла Ша къобалвинчунна тӀе куьг дахьар. Схьаэца цуьнан гӀовлангахь болу гоьмукъ а, чохь хи долу кхаба а, вай хиллачу дӀагӀур ду вай».</verse>
				<verse number="12">Дауд, Шаулан гӀовлангара гоьмукъ а, цигахь чохь хи а долуш лаьттина йолу кхаба а схьа а эцна, ша хиллачу дӀавахара. Уьш кхуза баьхкинийла цхьанна а хаа а ца хиира, цхьа а сама а ца велира, хӀунда аьлча царна тӀегӀоьртинарг Везачу Элера йолу наб яра.</verse>
				<verse number="13">ТогӀин дехьа агӀор а ваьлла, геннахь лаьтташ болчу гунна тӀе а ваьлла, дӀахӀоьттира Дауд. Царна юкъахь йоккха меттиг яра.</verse>
				<verse number="14">Дауда халкъе а, Неран кӀанте Абунаре а, мохь туххуш, элира: «Жоп ло, Абунар!» Абунара, жоп луш, элира: «Хьо мила ву, мохь а бетташ, паччахьна новкъарло ян?»</verse>
				<verse number="15">Дауда Абунаре элира: «Къонах вац хьо? Исраилан махкахь хьоьца нисвала мила ву? ХӀунда ца ларво ахьа паччахь волу хьайн олахо? Халкъана юкъара цхьа стаг веанера шу долчу хьан паччахь волу олахо вен.</verse>
				<verse number="16">Йоккха ледарло яьлла хьоьгара. Дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо ас, Цо къобалвинарг аша лар ца варна шу дайа бен ца деза. Хьажал, мичахь бу паччахьан гӀовлангахь хилла болу гоьмукъ а, чохь хи лелош йолу цуьнан кхаба а?»</verse>
				<verse number="17">Шена Даудан аз девзича, Шаула элира: «Хьан аз дуй иза, сан кӀант Дауд?» Дауда элира: «Сан аз ду, сан паччахь волу олахо».</verse>
				<verse number="18">Цо кхин а тӀетуьйхира: «Муьлхачу бахьанина ваьлла сан эла шен лай волчунна тӀаьхьа? ХӀун даьлла соьгара? Стенна бехке ву со?</verse>
				<verse number="19">ХӀинца мукъана а ладогӀахьара сан олахочо шен лай волчо бохучуьнга. Нагахь санна Везачу Эло хьан дага чу со бахьана долуш оьгӀазло кхоьллинехь, соьгара хаза хьожа йогӀу сагӀа дӀаэцахьара Цо. Амма адамаша со бахьана долуш хьан дага чохь оьгӀазло кхоьллинехь, Везачу Элана хьалха неӀалт хилла дӀахӀуьттийла уьш, хӀунда аьлча цара, со Везачу Эло суна делла долчу лаьттан декъа тӀера хьала а гӀаттийна, олуш ду: „Ваха а гӀой, хийрачу къаьмнийн деланашна Ӏамал е“, — аьлла.</verse>
				<verse number="20">Везачу Элана геннахь долчу лаьтта тӀе сан цӀий ма Ӏанадайтахьара ахьа. Исраилан халкъан паччахь цхьа сагал лаха араваьлла, лаьмнашкахь цхьана мошанна тӀаьхьабевлла леларш санна».</verse>
				<verse number="21">Шаула элира: «Къа латийна аса сайх. ЦӀа верза, сан кӀант Дауд. Аса сайгара кхин зулам доккхур дац хьуна. Тахана ахьа гайти, сан са хьуна деза хетийла. Корта боцуш долу хӀуманаш лелийна хилла аса, сайх дукха къинош а летош».</verse>
				<verse number="22">Дауда, жоп луш, элира: «ХӀара бу шуна паччахьан гоьмукъ. Цхьа жима стаг схьаваийта, хӀара дӀабахьа.</verse>
				<verse number="23">Везачу Эло нийса а, тешаме а волчу хӀораннан а аьтто бо. Везачу Эло хьо сан кара схьавеллера, амма Цо къобалвинчунна тӀе куьг дахьа ца лиира суна.</verse>
				<verse number="24">Тахана сан бӀаьргашна хьалха хьан дахар суна деза ма-хеттара, сан дахар а хуьлийла Везачу Элан бӀаьргашна хьалха. Со массо а бохамех Цо кӀелхьарвоккхийла!»</verse>
				<verse number="25">Шаула Дауде элира: «Дала декъалбойла хьан некъ, сан кӀант Дауд. Мел долу гӀуллакх кхочушдан аьтто хир бу хьан». Дауд шен новкъа дӀавахара, ткъа Шаул шен цӀа юхавирзира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="27">
				<verse number="1">Дауда, ойла а йина, шен дагахь элира: «Мацца а со Шаулан каравахале, суна уггар а тоьлушха дерг пӀелаштамхойн лаьтта тӀе ведда дӀавахар ду. ТӀаккха Шаул со лоьхуш Исраилан махкахула суна тӀаьхьаваьлла лелачуьра соцур ву, ткъа со цуьнан куьйга кӀелхьара дӀавер ву».</verse>
				<verse number="2">Хьала а гӀаьттина, Дауд, шеца волу ялх бӀе стаг а эцна, Гати-гӀалахь паччахь волу МаӀухин кӀант Ахаш волчу вахара.</verse>
				<verse number="3">Иза шеца болчаьрца Ахаш волчу Гати-гӀалахь ваха хиира, хӀора стаг а шен-шен доьзалца. Даудаца цхьаьна цуьнан ши зуда а яра — израӀалхо йолу АхьнуӀмат а, хьалха Набалехь хилла йолу кармалхо АбигӀал а.</verse>
				<verse number="4">Шауле, Дауд Гати-гӀала ведда дӀавахана аьлла, хабар дӀакхечира, тӀаккха иза Дауд лоьхучуьра сецира.</verse>
				<verse number="5">Дауда Ахаше элира: «Хьо суна реза велахь, суна ахьа цхьана жимачу гӀалахь меттиг билгалъяьккхича, со цигахь Ӏийр вара. Хьан лай хӀунда Ӏан веза хьоьца нийсса паччахь Ӏачу гӀалахь?»</verse>
				<verse number="6">Ахаша цунна ЦакхелагӀ олуш йолу гӀала елира. Цундела ЦакхелагӀ таханлера де тӀекхаччалц а яхӀудхойн паччахьийн карахь йисина.</verse>
				<verse number="7">Цхьа шой, биъ буттий баьккхира Дауда пӀелаштамхойн махкахь.</verse>
				<verse number="8">Дауд, шеца болчаьрца ара а волий, гешурхошний, гирзахошний, Ӏамалекхахошний тӀелеташ хилла. (И халкъаш дукха заманара дуьйна Шур-гӀалина а, ур-атталла Мисар-махкана а тӀекхаччалц дехаш хилла.)</verse>
				<verse number="9">Церан бахам (уьстагӀий а, стерчий а, варраш а, эмкалш а, тӀеюху бедарш а) схьа а боккхий, Дауда я стаг а, я зуда а дийна дуьтуш ца хилла. ТӀаккха иза Ахаш волчу схьавогӀуш хилла.</verse>
				<verse number="10">Ахаша хоттура Дауде: «ХӀинца хьанна тӀелеттера шу?» Дауда жоп лора: «НегӀаб арахь болчу ЯхӀуд-махкана», я цо жоп лора: «Яьссачу арахь болчу ярахьмиалхошна», я: «Яьссачу арахь Ӏаш болчу кхенахошна».</verse>
				<verse number="11">Дауда я стаг а, я зуда а дийна ца дуьтура. Цо уьш Гати-гӀала схьа а ца балабора. Дауда ойла йора: «Цара, вайна мотт тухуш, ала мега: „ХӀара зулам Дауда дира“, — аьлла. Дауда ша пӀелаштамхойн лаьттахь мел яьккхина йолу хан иштта лелаш яьккхира».</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха Ахаш Даудах тийшира. Шен дагахь цо бохура: «Иза шен Исраилан халкъана бӀаьрга ван ца веза. И бахьана долуш иза, схьахетарехь, гуттаренна а сан ялхо хир ву».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="28">
				<verse number="1">Цу заманчохь пӀелаштамхоша шайн эскар кечдина хилла Исраилан халкъаца тӀом бан. Ахаша Дауде элира: «ДӀахаалахь, хьо а, хьоьца болу нах а соьца цхьаьна гӀовтта безийла».</verse>
				<verse number="2">Дауда Ахаше элира: «ХӀинца хуур ду хьуна хьан лай волчуьнга хӀун далур ду». Ахаша Дауде элира: «ТӀаккха аса хьох массо а ханна сайн ларвархо вийр ву».</verse>
				<verse number="3">Шамъал кхелхинера. Дерриг а Исраилан халкъ цунна тӀаьхьа доьлхуш хиллера. Иза ша ваьхна йолчу Рамехь дӀавоьллинера. Ткъа адамийн синош тӀедоьхуршший, пал туьйсуршший шен пачхьалкхера лаьхкина дӀабахийтинера Шаула.</verse>
				<verse number="4">ПӀелаштамхоша, вовшах а кхетта, шайн меттамотт Шунамехь дӀахӀоттийра. Шаула а схьагулдира дерриг а Исраилан эскар. Уьш ГилбаӀ-ломахь схьагулбелла дӀахӀиттира.</verse>
				<verse number="5">Шена пӀелаштамхойн эскар схьагича, Шаул воьхна хьаьвзира, цуьнан дага чу кхерам буьйжира.</verse>
				<verse number="6">Цо Везачу Эле хаттарш дора, амма Иза цунна набарха а, Урим олучу безачу тӀулгаца а, пайхамаршкахула а жоп луш вацара.</verse>
				<verse number="7">ТӀаккха Шаула шен ялхошка элира: «Схьалаха суна деллачу адамийн синош тӀедоьху зуда, аса цуьнга хоттур ду». Ялхоша цуьнга жоп делира: «Ӏейндар-гӀалахь Ӏаш ю адамийн синош тӀедоьху зуда».</verse>
				<verse number="8">Шена тӀера бедарш дӀа а яьхна, кхин бедарш тӀеюьйхира Шаула. Иза, кхин ши стаг а волуш, буьйсанна и зуда йолчу вахара. Шаула цуьнга элира: «Аса дехар до хьоьга, суна пал а тасий, аса хьайга вийцинарг со волчу схьакхайкхахьара ахьа».</verse>
				<verse number="9">Амма зудчо цуьнга жоп делира: «Хьуна хууш ма ду Шаула динарг. Цо пал тосуш берш а, адамийн синош тӀедоьхуш берш а махках ма баьхна. Хьо со ейта суна гур бугӀуш ву».</verse>
				<verse number="10">Шаула, Везачу Элах дуй бууш, элира: «Дийна волчу Везачу Элах дуй боу ас, хьуна и хӀума бахьана долуш цхьа а тайпана зулам хир ма дац».</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха зудчо хаьттира: «Аса хьаьнга кхайкха хьуна?» Цо элира: «Шамъале кхайкха».</verse>
				<verse number="12">Шена Шамъал гича, зудчун мохь белира. Цо Шауле элира: «Со стенна лейо ахьа? Хьо Шаул ма ву».</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха паччахьо цуьнга элира: «Кхера ма ло. ХӀун го хьуна?» Зудчо элира: «Суна лаьттара хьаладолуш цхьа жин го».</verse>
				<verse number="14">«Муха ду цуьнан сибат?» — хаьттира цуьнга Шаула. Цо элира: «Лаьттара хьалаволуш, тӀехь еха бедарш а йолуш, воккха стаг ву». ТӀаккха Шаулна хиира иза Шамъал вуйла. Шен юьхь лаьттах хьакха а йолуьйтуш, цо цунна корта туьйхира.</verse>
				<verse number="15">Шамъала Шауле хаьттира: «Со стенна меттахвоху ахьа? Соьга хӀунда кхойкху хьо?» Шаула элира: «Суна чӀогӀа хала ду. ПӀелаштамхой суна дуьхьал гӀевттина тӀамца. Дала суна букъ берзийна. Цо суна я пайхамаршкахула а, я гӀенах а жоп ца ло. Цундела аса хьоьга кхойкху, айса дан дезачух дагавала».</verse>
				<verse number="16">Шамъала элира: «Соьга стенна до ахьа хаттарш, Веза Эла хьан мостагӀа хилла дӀахӀоьттина хилча?</verse>
				<verse number="17">Везачу Эло соьгахула Ша дийр ду аьлларг дийр ду. Цо, хьан карара паччахьалла схьа а даьккхина, хьуна уллохь хиллачу Дауде дӀаделла.</verse>
				<verse number="18">Везачу Эло бохучуьнга ахьа ла ца дуьйгӀира. Ӏамалекхахошна чӀогӀа оьгӀаз а вахана, Цуьнан омра кхочуш ца динера ахь, цундела тахана Везачу Эло хьуна иза до.</verse>
				<verse number="19">Везачу Эло пӀелаштамхошка Исраилан халкъана тӀехь толам боккхуьйтур бу. Кхана хьо а, хьан кӀентий а соьца хир бу. Исраилхойн эскар кхана пӀелаштамхойн карахь хир ду».</verse>
				<verse number="20">ТӀаккха Шаул, цӀеххьана вахвелла, охьавуьйжира. Иза чӀогӀа кхеравелира Шамъала шега аьллачу дешнех. Цуьнгахь гӀора дацара, хӀунда аьлча цо цу дийнаххьий, бусий яа хӀума ца йиънера.</verse>
				<verse number="21">И зуда Шаулна тӀееара. Цунна гира иза чӀогӀа кхеравелла хилар. Зудчо элира: «Сан дахарна сайна кхерам боллушехь, аса ахьа бохург дина.</verse>
				<verse number="22">ХӀинца аса доьху хьоьга, ахьа а ладогӀахьара хьайн лай йолчо бохучуьнга. Аса хьуна цхьажимма хьокхам лур бу, иза баахьара ахьа. Новкъа ваьлча, хьоьгахь ницкъ хир бара».</verse>
				<verse number="23">Амма цо шега бохучуьнга ла ца дуьйгӀира. Шаула элира: «Аса хӀума юур яц». Амма Шаулан ялхой цу зудчуьнца цхьаьна, хӀума яа бохуш, дехар дан буьйлабелира цуьнга. Эххар а Шаула цара бохург дира. Лаьттара хьала а гӀаьттина, иза метта охьахиира.</verse>
				<verse number="24">Цу зудчун цӀахь дустийна эса дара. Сихха иза ден а дийна, дама схьа а эцна, бод а хьакхийна, совсоза долу хьокхамаш дира цо.</verse>
				<verse number="25">Шаулна а, цуьнан ялхошна а яа хӀума хӀоттийра цо. Шайна хӀума а кхаьллина, уьш цу буссехь, хьала а гӀевттина, дӀабахара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="29">
				<verse number="1">ПӀелаштамхоша шайн мел долу эскар Апакхахь схьагулдира, ткъа исраилхой ИзраӀал цӀе йолчу гӀалина уллохь долу хьоста долчу дӀахӀиттира.</verse>
				<verse number="2">ПӀелаштамхойн элийн эскар шайн бӀе а, эзар а тӀемало юкъахь волчу тобанашца цхьаьна богӀуш бара, ткъа Дауд шен тӀемалошций, Ахашций цхьаьна тӀаьхьасецна вогӀуш вара.</verse>
				<verse number="3">ПӀелаштамхойн элаша хоьттура: «Уьш хӀун Ӏебархой бу?» Ахаша царна жоп делира: «Шуна ца хаьа, иза Исраилан паччахь волчу Шаулан лай волу Дауд вуй? Иза соьца волу цхьа шо сов зама ю. Иза со волчу веанчу хенахь дуьйна хӀара де тӀекхаччалц суна цхьа а вон хӀума ца даьлла цуьнгара».</verse>
				<verse number="4">Цунна чӀогӀа реза боцуш хьаьвзира пӀелаштамхойн элий. Цара Ахаше элира: «ДӀавахийта и стаг. Ахьа цунна билгалъяьккхинчу меттехь Ӏайта иза. Тхоьца тӀамтӀе а ма ваийта, цунах вайна мостагӀа ма хилийта. ХӀун дина хьостур ду цо шен паччахьан дог? Вайн нах а байина хьостур ду.</verse>
				<verse number="5">Халхарш дечу хенахь цунна-м ца лекхна те: „Шаула эзарнаш байина, ткъа Дауда — итт эзарнаш“, — бохуш йолу йиш?»</verse>
				<verse number="6">Ахаша, Дауд схьа а кхайкхина, элира: «Дийначу Везачу Элах чӀагӀо йо ас: хьо цӀена ву, суна луур дара хьо сайна уллохь хуьлийла. Суна хьоьгара цхьа а вон хӀума а ца даьлла, хьо со волчу веанчу хенахь дуьйна хӀара де тӀекхаччалц. Амма пӀелаштамхойн элашна хьо дика ца хета.</verse>
				<verse number="7">Цундела, элий оьгӀаз ца бахийта, маьрша юхаверза».</verse>
				<verse number="8">Амма Дауда Ахаше элира: «Соьгара хӀун даьлла? ХӀун гина хьуна соьгара, со хьо волчу веанчу хенахь дуьйна хӀара хан тӀекхаччалц? Со ваха мегар дац сан паччахь волчу олахочун мостагӀашца тӀом бан?»</verse>
				<verse number="9">Ахаша Дауде жоп делира: «Теша мегар ду хьуна: сан бӀаьргашна хьалха хьо цӀена ву, Делан малик санна. Амма пӀелаштамхойн элаша: „Вайца иза тӀамтӀе ма ваийта“, — аьлла.</verse>
				<verse number="10">Цундела, Ӏуьйранна хьала а гӀаттий, хьо а, хьоьца баьхкина болу хьан ялхой а сирла йолчу хенахь дӀагӀо».</verse>
				<verse number="11">Дауд а, цуьнца схьабаьхкинарш а Ӏуьйранна пӀелаштамхойн махка юхабирзира. Ткъа пӀелаштамхой ИзраӀал цӀе йолчу гӀала дӀабахара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="30">
				<verse number="1">КхозлагӀчу дийнахь Дауд а, цуьнан накъостий а схьабаьхкира ЦакхелагӀ-гӀала. Ткъа Ӏамалекхахоша, НегӀаб цӀе йолчу яьссачу арахь йолчу ЦакхелагӀана тӀе а летта, гӀала ягийнера.</verse>
				<verse number="2">Зударий а, цигахь шайна мел карийна волу жима а, воккха а стаг, вен а ца вуьйш, йийсаре дӀавигнера.</verse>
				<verse number="3">Дауд а, цуьнца хилларш а гӀала схьакхаьчча, царна гира цӀарца ягийна Ӏуьллуш йолу гӀала, ткъа кхеран зударий а, кӀентий а, йоӀарий а йийсаре дӀабигнера.</verse>
				<verse number="4">ЧӀогӀа белха буьйлабелира Дауд а, цуьнца хилларш а. Кхин белха шаьш де доцуш биссалц, билхира уьш.</verse>
				<verse number="5">Йийсаре дӀайигнера Даудан ший а зуда: израӀалхо йолу АхьнуӀмат а, Набалехь хилла йолу кармалхо АбигӀал а.</verse>
				<verse number="6">Шайна тӀекхаьчна долу вон ла ца луш, шайн кӀентий а, йоӀарий а дӀабигна карийна, доьхна хьийзаш долу адам Даудана тӀе тӀулгаш детта гӀерташ дара. И хӀума бахьана долуш чӀогӀа воьхнера Дауд а, амма иза, шен Везачу Делера дегайовхо а карийна, чӀагӀвелира.</verse>
				<verse number="7">Цо динан да волчу Ахьи-Маликан кӀанте Абу-ЯтӀарига элира: «Схьая кхуза еза ийпад». Абу-ЯтӀарис Даудана тӀе иза схьаеара.</verse>
				<verse number="8">Везачу Эле Дауда хаттар дира: «ТӀаьхьаваха везий со цу мостагӀийн цӀазана? ТӀаьхьакхуьур вуй со царна?» Цуьнга жоп кхечира: «ТӀаьхьавала. ТӀекхочур ву хьо, уьш схьа а бахалур бу хьоьга».</verse>
				<verse number="9">Шеца ялх бӀе стаг а волуш, Дауд новкъа велира. Уьш Бачор олуш йолу хин Ӏовраш йолчу кхечира. КӀадбелларш цигахь севцира.</verse>
				<verse number="10">Виъ бӀе стаг цхьаьна а волуш, Дауд, цигахь ца соцуш, дӀавахара. Ткъа важа ши бӀе стаг, шаьш чӀогӀа кӀадбелла хилар бахьана долуш, Бачоран Ӏоврел дехьа а ца валавелла, цигахь сецира.</verse>
				<verse number="11">Царна аренгахь цхьа мисархо карийра. Иза Дауд волчу схьа а валийна, цунна яа хӀума а, хи а делира цара.</verse>
				<verse number="12">Цара мисархочунна Ӏаьвдина инжирийн цхьа курс а, кишмийн ши курс а елира. Уьш дӀадиъча, цуьнан ницкъ юхабирзира. Цу стага даа хӀума дааза а, хи малаза а кхо дей-буьйсий дара.</verse>
				<verse number="13">Дауда цуьнга хаьттира: «Хьо хьенан ву, мичара вогӀуш ву?» Цо жоп делира: «Со мисархо ву, цхьана Ӏамалекхахочун лай а ву. Цо со дӀатесна, кхо де хьалха со цомгуш хилла дела.</verse>
				<verse number="14">Тхо кератхойн а, ЯхӀудан тайпанан а, Килабан гаранан а НегӀабахь болчу мехкашна тӀегӀоьртинера, ткъа ЦакхелагӀ оха цӀарца ягийра».</verse>
				<verse number="15">Дауда цуьнга элира: «ДӀавуьгур вуй ахьа со мостагӀийн цӀоз долчу?» Цо элира: «Делах дуй баа суна, ахьа со вуьйр вац аьлла а, со сан олахочун кара дӀалур вац аьлла а. ТӀаккха аса хьо мостагӀийн цӀазана тӀе вуьгур ву».</verse>
				<verse number="16">Цо уьш цига дӀабигира. Ӏамалекхахой цу меттигехула дӀаса а баьржина, дууш, молуш бара, пӀелаштамхойн махкара а, ЯхӀуд-махкара а шайна караеана йолчу йоккхачу хӀонсах баккхий а беш.</verse>
				<verse number="17">ШолгӀачу дийнахь Дауд тӀелетира царна. Ӏуьйранна дуьйна царна тӀеетта волавелла иза суьйренга велира. Цхьа а кӀелхьара ца велира, эмкалшна тӀе а хиъна, ведда дӀавахана волу виъ бӀе жима стаг воцург.</verse>
				<verse number="18">Цара дӀа мел даьхьна долу рицкъа а схьадаьккхира Дауда, шен ши зуда а йийсарера мукъаяьккхира цо.</verse>
				<verse number="19">Церан цхьа а я жиманиг а, я воккханиг а ца вайра. Массо кӀант а, йоӀ а, дуьненан рицкъа а юхадерзийра Дауда, Ӏамалекхахоша дӀадаьхьна долу.</verse>
				<verse number="20">Дауда массо а жима а, доккха а даьхни схьадаьккхира, ткъа цуьнан накъосташа, шайна хьалха а даьхна, дӀадигира уьш. Наха бохура: «ХӀара Даудан хӀонс ю».</verse>
				<verse number="21">Шаьш Бачор олуш йолу хин Ӏовраш йолчохь, гӀел а велла, витина волу ши бӀе стаг волчу схьакхечира уьш. Даудана а, цуьнца хиллачарна а дуьхьал арабевлира уьш. ТӀе а вахана, Дауда цаьрга маршалла хаьттира.</verse>
				<verse number="22">ТӀаккха кхуьнца хилла болчу вон дог долуш болчу наха элира: «Уьш вайца ца баьхкира. Цундела вай царна хӀумма а лур яц. ХӀора стаг, шен зуда а, бераш а дӀа а эций, дӀагӀо».</verse>
				<verse number="23">Амма Дауда элира: «Иза ма дахьара аша, сан вежарий. Везачу Эло вайна хӀара хӀума делла, вайна дуьхьалдаьлла долу мостагӀийн цӀоз вайн кара схьа а делла, вай кӀелхьардаьхна.</verse>
				<verse number="24">Цу тӀехь шуна мила тӀетовр ву? ТӀамтӀе баханчарна санна, дакъа догӀу тӀеман гӀирс ларбеш Ӏийначарна а: хӀума массарна а юкъахь декъа деза».</verse>
				<verse number="25">Цу хенахь дуьйна Исраилан махкахь Дауда, цу тайпана нийсо хила еза аьлла, дӀахӀоттийра. Иза хӀара де тӀекхаччалц схьадогӀуш а ду.</verse>
				<verse number="26">Дауд ЦакхелагӀа юхавеара. Ша тӀамехь схьадаьккхинчух дакъа дахьийтира цо ЯхӀуд-махкарчу къаной болчу доттагӀашна. Цо элира: «ХӀара ду шуна Везачу Элан мостагӀашкара схьадаьккхинчух долу совгӀат».</verse>
				<verse number="27">Цунах дакъа Бетал-гӀалахь болчаьрга а, НегӀабан Рамате а, Итар-гӀала а,</verse>
				<verse number="28">ӀаруӀера а, Чапмут-гӀала а, ЭштамуӀа а,</verse>
				<verse number="29">Рахал-гӀала а, ярахьмиалхойн а, кхенахойн а гӀаланашка а,</verse>
				<verse number="30">Хьорме а, Бор-Ӏашуна а, Ӏатах-гӀала а,</verse>
				<verse number="31">Хьевроне а, иштта ша а, шен накъостий а леллачу массо а меттигашка дахьийтира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="31">
				<verse number="1">ПӀелаштамхой исраилхошца тӀом беш бара. Исраилхой, царах бевдда боьлхуш, ГилбаӀ олучу лам тӀехь дукха хӀаллакьхилира.</verse>
				<verse number="2">Шаулна а, цуьнан кӀенташна а тӀаьхьа а бевлла, пӀелаштамхоша цуьнан кӀентий ЯхӀуната а, Абинадаб а, МалкишаӀ а байира.</verse>
				<verse number="3">Шаулна гонах болу тӀом чӀагӀбелира. Къаьсттина чӀогӀа кхарна ницкъ бора секхаӀад кхоссархоша. Шаул къиза чевнаш хилла вара.</verse>
				<verse number="4">Шаула шен герз лелош волчуьнга элира: «Хьайн тур баттара а даккхий, со вей дӀаваккха, и дин доцу сунтбаза берш суна тӀе а кхаьчна, цара со веле а, хьийзавале а». Амма герз лелориг, ша дукха кхераваларна, ца хӀоьттира и дехар кхочушдан. ТӀаккха Шаула, шен тур схьа а даьккхина, цунна тӀе а вогӀавелла, шех иза чекхдаьккхира.</verse>
				<verse number="5">Шаул шена велла гича, цуьнан герз лелориг ша а, шен туьрана тӀе а вогӀавелла, велира.</verse>
				<verse number="6">Иштта велира цу дийнахь Шаул а, цуьнан кӀентех кхо кӀант а, цуьнан герз лелориг а, цуьнан массо стаг а.</verse>
				<verse number="7">ИзраӀал-тогӀина къилбаседехьа Ӏаш болу а, Йордан-хинна малхбалехьа Ӏаш болу а исраилхой а, шайна Шаул велла а, важа болу исраилхойн тӀемалой бевдда дӀабахана а гича, шайн ярташ а йитина, бевдда дӀабахара. Ткъа пӀелаштамхой, церан ярташ дӀа а лаьцна, цигахь баха охьахевшира.</verse>
				<verse number="8">ШолгӀачу дийнахь пӀелаштамхой байина Ӏохкуш болчарна тӀера мехала йолу хӀуманаш схьаяха баьхкича, царна ГилбаӀ-лам тӀехь хиллачу тӀамехь байина болчу Шаулан а, цуьнан кхаа кӀентан а декъий карийра,</verse>
				<verse number="9">Шаулан корта схьа а баьккхина, цуьнан герз схьа а эцна, цара массо а пӀелаштамхойн махкарчу халкъе хаам дӀакхачийра, иштта хаам бира шайн цӀуш дӀахӀиттийна долчу динан цӀенош долчу а.</verse>
				<verse number="10">Цара Шаулера схьадаьккхина долу герз шаьш Ӏаштартана дина долчу динан цӀа чу охьадиллира, ткъа цуьнан дакъа Байт-Шанахь пена тӀе дӀатуьйхира.</verse>
				<verse number="11">ГалӀадарчу Явеш-гӀалара болчу бахархошна дӀахезира пӀелаштамхоша Шаулна динарг.</verse>
				<verse number="12">Массо а майра стаг гӀаьттира цигахь. Буса баха а бахана, Шаулан а, цуьнан кӀентийн а декъий Байт-Шанарчу пена тӀера охьа а даьхна, Явеш-гӀала схьа а деана, уьш цигахь дагийра цара.</verse>
				<verse number="13">Церан даьӀахкаш, схьа а гулйина, Явеш-гӀалахь тамариск цӀе йолчу дитта кӀелахь дӀайоьхкира. ВорхӀ дийнахь марха кхебира цара.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="10">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">Ӏамалекхахой эша а бина, Дауд юхавирзинчул тӀаьхьа, цо ЦакхелагӀахь ши де даьккхира. Иза Шаул вийначул тӀаьхьа дара.</verse>
				<verse number="2">КхоалгӀачу дийнахь Шаулан меттаматтера волу цхьа стаг кхечира Дауд волчу. ТӀера бедарш а этӀийна, коьрта тӀе йиллина чан а йолуш вара иза. Дауд волчу схьакхаьчча, лаьтта охьа а воьжна, цунна сужда дира цо.</verse>
				<verse number="3">Дауда цу стаге хаьттира: «Хьо мичара веана?» — аьлла. Вукхо цуьнга жоп делира: «Со Исраилан эскаро тӀом бинчу меттера кӀелхьарваьлла схьавеана».</verse>
				<verse number="4">ТӀаккха Дауда юха а цуьнга хаьттира: «ХӀун хилла цигахь? Схьадийца соьга». Цу стага жоп делира: «ТӀом баьллачуьра дукха адам дедда дӀадахана. Царах дукхахберш, байина, хӀаллакьхилла. Шаул а, цуьнан кӀант ЯхӀуната а вийна».</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха иза шена дийцина волчу жимачу стаге Дауда хаьттира: «Хьуна стенах хаьа, Шаул а, цуьнан кӀант ЯхӀуната а веллийла?»</verse>
				<verse number="6">Жимачу стага цуьнга элира: «Со ларамаза ГилбаӀ олучу лам тӀехь нисвеллера. Суна гира шен гоьмукъана тӀе таьӀна лаьтташ волу Шаул, ткъа цу хенахь гӀудалкхашший, говрашкахь болу наххий цунна тӀекхаьчна богӀуш бара.</verse>
				<verse number="7">Иза юхахьаьжча, цунна со гира. Иза соьга кхайкхира. Аса жоп делира: „Со ладугӀуш ву“, — аьлла.</verse>
				<verse number="8">Цо соьга хаьттира: „Хьо мила ву?“ Аса жоп делира: „Со Ӏамалекхахо ву“.</verse>
				<verse number="9">ТӀаккха цо соьга элира: „ТӀе а волий, со, вей, дӀаваккха! Со валлал чӀогӀа Ӏазапехь ву, суна чохь са делахь а“.</verse>
				<verse number="10">ТӀаккха, тӀе а вахана, аса иза вийра, хӀунда аьлча суна хаьара, ша охьавоьжначул тӀаьхьа, иза кхин вехар воцийла. Цуьнан коьртара таж а, цуьнан куьйга тӀера хӀоз а, схьа а эцна, аса кхуза схьабеана, сан эла».</verse>
				<verse number="11">Эццахь Дауда а, цуьнца мел хиллачара а шайна тӀера бедарш этӀийра, и хӀума чӀогӀа халахетарна.</verse>
				<verse number="12">Уьш боьлхуш, тийжаш, малх чубуззалц яа хӀума ца юуш Ӏийра, Шаул а, цуьнан кӀант ЯхӀуната а, Везачу Элан халкъ долу дерриг Исраилан цӀа а бахьана долуш, уьш мостагӀийн туьро хӀаллакбина дела.</verse>
				<verse number="13">Дауда и хӀума шена дийцина волчу жимачу кӀанте хаьттира: «Хьо мичара ву?» Цо жоп делира: «Со тӀевеана волчу Ӏамалекхахочун кӀант ву».</verse>
				<verse number="14">ТӀаккха Дауда хаьттира: «Муха ваьхьира хьо, Везачу Эло къобалвина волчунна тӀе куьг а даьхьна, иза вен?»</verse>
				<verse number="15">Цул тӀаьхьа, цхьа жима стаг тӀе а кхайкхина, цуьнга Дауда элира: «ТӀе а волий, иза ве». Цо иза вийра.</verse>
				<verse number="16">Дауда элира: «Хьайн Ӏожаллина хьо-хьуо ву бехке, хӀунда аьлча ахьа-айхьа элира: „Аса вийра Везачу Эло къобалвинарг“».</verse>
				<verse number="17">Дауд Шаулний, цуьнан кӀант волчу ЯхӀунатиний вилхира, назма а олуш.</verse>
				<verse number="18">Цо омра дира яхӀудхошка, секхаӀад цӀе йолу и назма Ӏамае аьлла (иза «Яшаран тептар» тӀехь дӀаязйина ю). Цо элира:</verse>
				<verse number="19">«Хьан хазна, Исраил, хьан лакхенаш тӀехь йоьжна! Ма ийгир-кх и ницкъ берш!</verse>
				<verse number="20">Ма дийцалаш цунах лаций Гати-гӀалахь, Ашкхилунан урамашкахь дӀа а ма кхайкхаделаш, пӀелаштамхойн зудабераш даккхий ца дейта, сунтбаза болчеран зудаберашка и кхаъ ца базбайта.</verse>
				<verse number="21">ГилбаӀан лаьмнаш! Я тхи а, я догӀа а ма дужийла шуна тӀе! Ялтийн аренаш а ма хуьлийла шуна тӀехь, хӀунда аьлча ницкъ болчеран турс, сийсаз а даьккхина, доьжна цу меттехь, Шаулан турс, зайтдаьтта хьакхаза долу!</verse>
				<verse number="22">ЯхӀунатас шен секхаӀодаца пхерчий кхиссича, мостагӀчун цӀий Ӏожаллина Ӏенира. Шаула шен тур майрачунна тоьхча, тӀингар чуьра иза эрна юха ца даьккхира.</verse>
				<verse number="23">Шаул а, ЯхӀуната а, шаьшшиъ вехачу хенахь хьоме а, нехан безам болуш а вара, Ӏожаллехь а ца къаьстина и шиъ вовшех. Аьрзунел сиха а, лоьмел ницкъ болуш а вара и шиъ.</verse>
				<verse number="24">Исраилхойн мехкарий! Шаьш таьӀна-цӀен бедаршца кечдеш, дешица шун духар кхелина волчу Шаулна тӀаьхьа делхалаш.</verse>
				<verse number="25">Ма хӀаллакьхили и къонахий тӀеман аренгахь! Ма вийна-кх ЯхӀуната, лакхенашкахь Ӏуьллуш волу!</verse>
				<verse number="26">Ма гӀайгӀане ву со, сан ваша ЯхӀуната! Суна хьо чӀогӀа хьомсара вара. Зударийн соьца болчу безамал а, хьан безам суна беза бара.</verse>
				<verse number="27">Ма хӀаллакьхили ницкъ берш! ТӀеман герз ма хӀаллакьхили!»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Цул тӀаьхьа Дауда Везачу Эле хаттар дира: «ЯхӀуд-махкарчу цхьана гӀала гӀой со?» Везачу Эло цунна жоп делира: «ГӀо». ТӀаккха Дауда юха а хаттар дира: «Мича гӀо со?» Юха а Цо жоп делира: «Хьевроне гӀо».</verse>
				<verse number="2">Дауд цига дӀавахара, шеца шен ши зуда а эцна: израӀалхо йолу АхьнуӀмат а, Набалх йисина йолу кармалхо АбигӀал а.</verse>
				<verse number="3">Дауда шеца болу нах а, церан доьзалш а дӀабигира. Уьш Хьевронехь баха хевшира.</verse>
				<verse number="4">ЯхӀуд-махкарчу божарша, схьа а баьхкина, шайн цӀенна тӀехь паччахьалла дан къобалвира иза цунна тӀе зайтдаьтта доттарца. Кестта Дауде хабар кхечира, ГалӀадарчу Явешан бахархоша Шаул дӀавоьллина аьлла.</verse>
				<verse number="5">Дауда ГалӀадарчу Явешан бахархой болчу шен геланчаш бахийтира хабар эцна: «Везачу Эло шу декъалдойла, шайн эла лаьттина волчу Шаулна, иза дӀа а верзош, шу тешаме хиларна.</verse>
				<verse number="6">ХӀинца Веза Эла шуьца дика а, тешаме а хуьлда. Со а шуьца иштта дика хир ву, аша динарг бахьана долуш.</verse>
				<verse number="7">Ткъа хӀинца шу доьналла долуш а, майра а хила хьовса деза, хӀунда аьлча шун эла хилла волу Шаул кхелхина, ткъа со ЯхӀудан тайпано шена тӀехь паччахь хила къобалвина».</verse>
				<verse number="8">Амма Шаулан эскаран хьаькам волчу Неран кӀанта Абунара, Шаулан кӀант Иш-Бошат схьа а эцна, иза Махьанайме схьавалийра.</verse>
				<verse number="9">Цо иза ГалӀадана а, Ашурайна а, ИзраӀална а, Эпраймана а, Бен-Яманан махкана а, берриг а Исраилан махкана а тӀехь паччахь вина дӀахӀоттийра.</verse>
				<verse number="10">Цу хенахь Шаулан кӀентан Иш-Бошатан шовзткъа шо дара. Шина шарахь лаьттира иза, Исраил-махкана тӀехь долу паччахьалла шен карахь а долуш. Даудана тӀаьхьа ЯхӀудан тӀаьхье бен ца хӀоьттира.</verse>
				<verse number="11">ВорхӀ шараххьий, ялх баттаххьий лаьттира Хьевронехь ЯхӀудан тӀаьхьенна тӀехь Даудан паччахьалла.</verse>
				<verse number="12">Неран кӀант Абунар а, Шаулан кӀентан Иш-Бошатан эскархой а, Махьанаймера ара а бевлла, ГавӀон-гӀала дӀабахара.</verse>
				<verse number="13">Даудан тӀемалошца аравелира Царуятан кӀант Йоаб а. Уьш ГавӀонерачу Ӏома йистехь дуьхь-дуьхьал кхийтира. ТӀемалойн цхьа тоба Ӏоман цхьана йисте охьахиира, ткъа важа вукху йисте хиира.</verse>
				<verse number="14">Абунара Йоабе элира: «Кегий нах, хьала а гӀиттабай, шайга хӀун дало хьовсийта». Йоаба жоп делира: «Дика ду, хьалагӀовттийта».</verse>
				<verse number="15">Шаулан кӀант волчу Иш-Бошатан агӀонера шийтта бен-яманхо хьалагӀаьттира. Царна дуьхьал Даудан шийтта эскархо а гӀаьттира.</verse>
				<verse number="16">Цара хӀораммо а, вовшийн кортош схьа а лаьцна, агӀонаш чу тур дахийтира. И кӀентий цхьаьний охьаийгира. Цу меттиган цӀе, ГавӀонера Хьелкхат-ХӀацурайм аьлла, тиллира (иза «таррийн аре» бохург ду).</verse>
				<verse number="17">Цу дийнахь цара чӀогӀа тӀом бира. Даудан эскархоша Абунар а, цуьнца хилла болу исраилхой а эшийра.</verse>
				<verse number="18">Цигахь Царуятан кхо кӀант вара: Йоаба, Абушай, ӀасахӀал. ӀасахӀал, акха сай санна, чехка вадалуш вара.</verse>
				<verse number="19">Иза Абунарна тӀаьхьавелира, цуьнан лорана тӀера я аьтту, я аьрру агӀор а ца волуш.</verse>
				<verse number="20">Абунара, юха а хьаьжна, цуьнга элира: «Хьо вуй иза, ӀасахӀал?» Вукхо жоп делира: «Со ву».</verse>
				<verse number="21">ТӀаккха Абунара ӀасахӀале элира: «Аьтту я аьрру агӀор а таӀий, хьайна цхьа жима стаг схьа а харжий, иза вен а вей, цуьнан герз схьаэца». Амма ӀасахӀална ца лиира цунна тӀаьхьара дӀавала.</verse>
				<verse number="22">Абунара юха а цуьнга элира: «ДӀавала суна тӀаьхьара, ма вейта соьга хьо. Со муха гӀур ву хьан вешина Йоабана дуьхьал?»</verse>
				<verse number="23">Амма важа цунна тӀаьхьара ца волура. ТӀаккха Абунара, юха а вирзина, цунна хьажийна, шен гоьмукъ Ӏоьттира, иза, цуьнан гайх чекх а баьлла, букъах арабелира. ӀасахӀал цигахь, охьа а воьжна, велира. Иза веллачу меттигна уллохула тӀехволуш мел верг цигахь соцура.</verse>
				<verse number="24">ӀасахӀалан ши ваша Йоаббий, Абушай Абунарна тӀаьхьавелира. Малх чубузуш бара, и шиъ Гихьана дуьххьал болчу, ГавӀонерачу яьссачу аренга боьдучу новкъахула Ӏуьллуш болчу, Аьми олучу гу тӀе кхаьчча.</verse>
				<verse number="25">Бен-яманхой, Абунарна гонах а бевлла, шайх цхьа тоба а йина, вукху гунан буьххье дӀахӀиттира.</verse>
				<verse number="26">Абунара Йоабе мохь туьйхира: «Массо а хенахь летар дуй те вай вовшех? Хьуна ца хаьа, хӀокху хӀуманан тӀаьхье балане хир юйла? Маца эр ду ахь хьайца болчаьрга, шайн вежаршна тӀаьхьадовлий ма лела?»</verse>
				<verse number="27">Йоаба элира: «Дийна волчу Делах чӀагӀо йо ас: ахьа иштта ца аьллехьара, сан эскархой кханалера Ӏуьйре тӀекхаччалц шайн вежаршна тӀаьхьабевлла лелар ма бара».</verse>
				<verse number="28">Эццахь Йоаба коьман маӀа лекхира. Адам исраилхошна тӀаьхьадаьлла лелачуьра сецира. ТӀом дӀабелира.</verse>
				<verse number="29">Абунар а, цуьнца болу нах а буьйсанна Йордан-хин тогӀехула дӀаихира. Уьш, Йордан-хил дехьа а бевлла, шолгӀачу дийнахь а новкъахь бара. ТӀаьххьара а уьш Махьанайме схьакхечира.</verse>
				<verse number="30">Йоаб Абунарна тӀаьхьаваьлла лелачуьра юхавирзира. Цо адам схьагулдира. Царна юкъахь, ӀасахӀал воцург, Даудан эскархойх ткъайоьсна стаг тӀеоьшуш вара.</verse>
				<verse number="31">Даудан эскархоша Абунаран нах а, бен-яманхой а эшийра. Церан вийна верг кхо бӀе кхузткъа стаг вара.</verse>
				<verse number="32">Дакъа схьа а эцна, ӀасахӀал Байтлахам-гӀалахь шен ден коша чохь дӀавоьллира цара. Йоаб шеца болчаьрца буьйса дӀаяллалц новкъахь вара. Сахуьллучу хенахь уьш Хьевроне кхечира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">Даудан цӀенний, Шаулан цӀенний юкъахь еххачу хенахь тӀемаш лаьттира. Даудан ницкъ чӀагӀлуш бара, ткъа Шаулан цӀа эшна догӀура.</verse>
				<verse number="2">Хьевронехь Даудана кӀентий бинера. Цуьнан дуьххьарлера кӀант Амнан израӀалхо йолчу АхьнуӀмата вина вара.</verse>
				<verse number="3">ШолгӀа кӀант Калиаб Набалехь марехь хиллачу кармалхо йолчу АбигӀала вина вара. КхоалгӀа кӀант Абушалам Гешурахь паччахь волчу Талмайн йоӀа МаӀхас вина вара.</verse>
				<verse number="4">ВоьалгӀа кӀант Адан-ЯхӀу Хьагата вина вара, пхоьалгӀа кӀант Шапат-ЯхӀу Абиталис вина вара.</verse>
				<verse number="5">ЙолхалгӀачу кӀентан ИтраӀаман нана ӀагӀлат яра, иза, вуьш санна, Даудан зуда яра. Даудан и ялх кӀант Хьевронехь вина вара.</verse>
				<verse number="6">Шаулна а, Даудана а тӀаьхьахӀиттина болчарна юкъахь тӀом лаьттачу хенахь, Шаулна тӀаьхьахӀоьттинчарна юкъара волу Абунар чӀагӀвелира шен даржехь.</verse>
				<verse number="7">Шаулан, Рицпат цӀе а йолуш, цхьа гӀарбаш-зуда хилла. Иза АяхӀун йоӀ яра. Иш-Бошата Абунаре элира: «Хьо сан ден гӀарбаш-зудчуьнца хӀунда Ӏийра?»</verse>
				<verse number="8">Абунар цо аьллачунна чӀогӀа оьгӀазвахара. Цо Иш-Бошате элира: «Хьуна со жӀаьла ду-м ца моьтту? ЯхӀудана дуьхьал а ваьлла, аса хьан ден Шаулан цӀенна а, хьан вежаршна а, цуьнан доттагӀашна а гӀуллакх дина, хьо Даудан кара дӀа а ца велла. Ткъа тахана, и зуда бахьана долуш, со бехкевеш ву-кх хьо?!</verse>
				<verse number="9">Дала, Шен лааме хьаьжжина, луьра таӀзар дойла суна, Везачу Эло, чӀагӀо а еш, Дауде аьлларг аса цунна ца дахь.</verse>
				<verse number="10">Шаулан цӀийнера паччахьалла схьа а даьккхина, берриге а Исраилан а, ЯхӀудан а мехкашна тӀехь, Дан-гӀалара дуьйна Беар-ШабаӀе кхаччалц, паччахьалла Дауде дӀа а лур ду».</verse>
				<verse number="11">Иш-Бошата Абунаре хӀумма а ца элира, ша цунах озалуш волу дела.</verse>
				<verse number="12">Абунара шегара Дауд волчу геланчаш бахийтира хабар эцна: «ХӀара латта хьенан ду? Соьца берта вола, аса дерриг а Исраилан халкъ хьайна тӀедерзо гӀо дийр ду хьуна».</verse>
				<verse number="13">Дауда элира: «Дика ду. Со хьоьца берта вогӀур ву. Амма сан хьоьга цхьа дехар хир ду. Аса хьуна сайн юьхь гойтур яц, нагахь санна ахьа со волчу вогӀуш хьайца Шаулан йоӀ Михула ца ялаяхь».</verse>
				<verse number="14">Дауда Шаулан кӀант Иш-Бошат волчу хабар эцна геланчаш бахийтира: «Схьало сан зуда Михула, аса, бӀе пӀелаштамхо сунт а вина, эцна йолу».</verse>
				<verse number="15">Иш-Бошата нах бахийтира иза Лайшин кӀантера Палтиалера схьаяккха.</verse>
				<verse number="16">Михулица цуьнан майра а веара. Велха а воьлхуш, цо иза Бахьруме кхаччалц дӀайигира. Амма Абунара Палтиале элира: «Хьайн цӀа юхаверза». Иза цигара юхавирзира.</verse>
				<verse number="17">Абунара, Исраилан къаношка вистхуьлуш, элира: «Селхана а, цул хьалха а шуна лууш дара, Дауд шайна тӀехь паччахь хуьлийла.</verse>
				<verse number="18">ХӀинца кхочушде иза! ХӀунда аьлча Везачу Эло Дауде аьлла: „Даудан карахула Аса Сайн Исраилан халкъ пӀелаштамхойн а, церан массо мостагӀийн а куьйга кӀелхьара схьадоккхур ду“».</verse>
				<verse number="19">Изза элира Абунара бен-яманхошка а. Абунара, Хьевроне а вахана, Дауде дӀахаийтира Исраилан а, дерриг а бен-яманхойн цӀийнан лаам.</verse>
				<verse number="20">Абунар, шеца цхьаьна ткъа стаг а волуш, Хьевроне веача, Дауда цунна а, цуьнца цхьаьна болчарна а той хӀоттийра.</verse>
				<verse number="21">Абунара Дауде элира: «Со хӀинца, хьала а гӀаьттина, сайн паччахь волчу дерриг а Исраилан халкъ схьагулдан воллу. Цара хьоьца барт бинчул тӀаьхьа, ахьа, хьайна ма-луъу, массарна а тӀехь паччахьалла латтор ду». Дауда Абунар маьрша дӀавахийтира.</verse>
				<verse number="22">Даудан эскархой Йоабаца цхьаьна генарчу новкъара цӀа баьхкира. Цара шайца йоккха хӀонс еанера, амма Абунар цу хенахь Даудаца Хьевронехь вацара, хӀунда аьлча иза Дауда маьрша новкъа ваьккхинера.</verse>
				<verse number="23">Йоаб шеца хиллачу эскарца юхавирзича, цуьнга дӀадийцира, Дауд волчу Неран кӀант Абунар веана хилар а, паччахьо иза маьрша дӀавахийтина хилар а.</verse>
				<verse number="24">Йоаб, паччахь волчу а веана, цуьнга вистхилира: «ХӀун ду ахьа динарг? Хьо волчу веана волу Абунар дӀа хӀунда вахийтира ахьа? Ткъа хӀинца иза дӀа ма ваха!</verse>
				<verse number="25">Хьуна вевзаш ма ву Неран кӀант Абунар. Иза хьо леван веана, хьан чувогӀу а, араволу а некъаш довзархьама а, ахьа хӀун леладо хаархьама а».</verse>
				<verse number="26">Дауд волчуьра ара а ваьлла, Йоаба Абунарна тӀаьхьа геланчаш бахийтира. Цара иза Сирин гӀунна тӀера дуьйна юхаверзийра, Дауде хӀумма а ца олуш.</verse>
				<verse number="27">Абунар Хьевроне юхавирзича, Йоаба, цуьнца къамел дан воллуш санна, дехьа а ваьккхина, цуьнан гайх хӀума Ӏоьттира. Иштта велира Абунар, Йоабан вешин ӀасахӀалан цӀий бахьана долуш.</verse>
				<verse number="28">ТӀаьхьо шена цунах лаьцна хиъча, Дауда элира: «Со а, сан паччахьалла а Везачу Элана хьалха цкъа а бехке дацара Неран кӀант Абунар валарна.</verse>
				<verse number="29">Йоабан а, цуьнан доьзалан а коьрта тӀе дужийла и цӀий. Цуьнан цӀентӀахь гуттара а хуьлийла дегӀа тӀехь ца йоьрзуш йолу чкъуран цамгар ерг а, Ӏасанца бен ког ца баккхалуш верг а, туьро чевнаш йина воьжнарг а, мацалла ловш верг а».</verse>
				<verse number="30">Йоаба а, цуьнан вашас Абушайс а Абунар вийна, цо ГавӀонахь хиллачу тӀамехь шайн ваша ӀасахӀал вийна дела.</verse>
				<verse number="31">Дауда Йоабе а, цуьнца хиллачаьрга а элира: «Шайна тӀера бедарш этӀа а яй, шаьш гӀайгӀане дуйла хоуьйтуш йолу бедарш юха, Абунарна делха». Абунаран дакъа кешнашка дӀахьочу хенахь Дауд-паччахь барамна тӀаьхьахӀоьттина воьдуш вара.</verse>
				<verse number="32">Иза Хьевронехь дӀавоьллича, цуьнан коша тӀехь паччахь чӀогӀа вилхира. Дилхира дерриге а халкъ.</verse>
				<verse number="33">Абунар дагавоуьйтуш, паччахьо хӀара гӀайгӀане назма элира: «Сонтачу стеган санна, валар хила дезарий техьа Абунаран?</verse>
				<verse number="34">Хьан куьйгаш дӀадихкина дацара, хьан когаш буржалш тоьхна бацара. Талорхойн карах велларг санна, хьо а велла». Массо а халкъ цунна тӀехь доьлхуш дара.</verse>
				<verse number="35">Цу дийнахь дукха нах тӀебаьхкира Даудана, цуьнга яа хӀума яа бохуш. Амма Дауда, дуй а бууш, чӀагӀо йинера: «Дала, Шен лааме хьаьжжина, луьра таӀзар дойла суна, аса малх чубуззалц баьпках я кхин йолчу юучу хӀуманах мотт тохахь», — аьлла.</verse>
				<verse number="36">Дерриг а халкъана иза хиира. Царна иза чӀогӀа тайнера, паччахьо деш долу массо а хӀума санна.</verse>
				<verse number="37">Цу дийнахь дерриг а Исраилан халкъана хиира, Неран кӀант Абунар вуьйш паччахьо дакъа ца лаьцнийла.</verse>
				<verse number="38">Дауда шен ялхошка элира: «Шуна хаьий, тахана Исраилан пачхьалкхехь воккха баьчча веллийла?</verse>
				<verse number="39">Со хӀинца а сайн даржехь чӀагӀвелла дӀахӀоьттина вац, паччахьалла дӀакхехьа къобалвина велахь а. Тахана Царуятан кӀентий сол сов ницкъ болуш бу. Цундела Везачу Эло, церан зуламашка хьаьжжина, вониг дойла царах хӀоранна а».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">Шаулан кӀант Иш-Бошат, шена Хьевронехь Абунар веллийла дӀахиъча, чӀогӀа воьхна хьаьвзира. Иштта доьхна дара массо а халкъ а.</verse>
				<verse number="2">Шаулан кӀентан эскаран шиъ куьйгалхо хилла — БаӀний, Рахбий. И шиъ бен-яманхойн цӀийнах волчу баировтхочун Римунан ши кӀант вара. (Ткъа Баировт Бен-Яманна чуйогӀуш хилла.</verse>
				<verse number="3">Баировтхой бевдда ГӀитайме дӀабахана. Уьш хӀинца а цигахь тӀебаьхкина нах санна Ӏаш бу.)</verse>
				<verse number="4">Шаулан кӀентан ЯхӀунатин астагӀа а волуш кӀант хилла. Иза пхи шо долуш хилла, ИзраӀалара Шаулаххий, ЯхӀунатаххий лаьцна ирча кхаъ беанчу хенахь. Церан бераш лелош йолу зуда, катоьхна кӀант схьа а эцна, иза кӀелхьарваккхархьама едда йоьдуш хилла. Иза едда йоьдучу хенахь, кӀант цуьнан карара охьавоьжна. ХӀетахь дуьйна схьа иза астагӀваьлла лелаш хилла. Цу кӀентан цӀе Мапи-Бошат яра.</verse>
				<verse number="5">Баировтхо волчу Римунан ши кӀант Рахбий, БаӀний Иш-Бошатан цӀа вахана. Уьш де дохделлачу хенахь цига дӀакхечира. Иш-Бошат цу хенахь, садоӀуш, шен меттахь вижина Ӏуьллуш вара.</verse>
				<verse number="6">Ткъа кевнера кӀа цӀандеш йолчу ялхочунна наб кхеттера. Рахбий, БаӀний Иш-Бошатан цӀа чу велира. Цуьнан гайх тур а Ӏоьттина, уьш бевдда дӀабахара.</verse>
				<verse number="7">И шиъ Иш-Бошатан дӀавуьжучу цӀа чу ваьлча, иза шен меттахь наб еш вара. Шаьш иза вийначул тӀаьхьа, цара цуьнан корта, тӀера а баьккхина, шайца дӀабаьхьира. Буьйса дӀаяллалц, Йордан-хин тогӀехула дӀаихира и шиъ.</verse>
				<verse number="8">Иш-Бошатан корта Хьевронехь Ӏаш волу Дауд волчу схьабеара цара. Паччахье вежарша элира: «ХӀара, хьо вен гӀерташ, хьуна тӀаьхьаваьлла леллачу хьан мостагӀчун Шаулан кӀентан Иш-Бошатан корта бу. ХӀинца Везачу Эло бекхам бина Шаулна а, цуьнан тӀаьхьенна а сан паччахь волу олахо бахьана долуш».</verse>
				<verse number="9">Дауда баировтхо волчу Римунан кӀенташка элира: «Массо а халонех со кӀелхьарваьккхинчу, дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо ас.</verse>
				<verse number="10">Цхьана стага соьга, ша беанарг хаза кхаъ бу моьттуш, элира: „Шаул велла дӀаваьлла“. Амма, цунна совгӀат дан дезачохь, аса иза ЦакхелагӀахь, схьа а лаьцна, вийра.</verse>
				<verse number="11">Ткъа хӀинца пайда боцучу наха шен меттахь вижина Ӏуьллуш волу цхьа а бехк боцу стаг вийча, аса шуна бекхам бан ца беза, шу дайа а дайина?»</verse>
				<verse number="12">Дауда шен эскархошка омра дира, уьш байа аьлла. Цара уьш байира, церан куьйгаш а, когаш а схьа а даьхна, догӀмаш Хьевронехь Ӏома йистехь хьалаоьхкира. Ткъа Иш-Бошатан корта, схьа а эцна, Хьевронехь Абунаран коша чохь дӀабоьллира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">Исраилан халкъан массо а тайпанашкара болчу наха, Дауд волчу Хьевроне а баьхкина, цуьнга элира: «Тхо хьан са а, цӀий а ду.</verse>
				<verse number="2">Шаул тхуна тӀехь паччахьалла деш волчу хенахь а, ахьа Исраилан халкъ тӀам тӀе а дигна, цигара юха а далийна. Везачу Эло хьоьга элира: „Хьо Сан Исраилан халкъана тӀехь жаӀу хир ву, цуьнан баьчча а хир ву“».</verse>
				<verse number="3">Исраилан халкъах болу берриг а къаной Дауд волчу Хьевроне баьхкира. Цо цаьрца Хьевронехь Везачу Элана хьалхахь барт бира. Дауд Исраилан халкъан паччахь ван, зайтдаьтта а дуттуш, къобалвира цара.</verse>
				<verse number="4">Паччахь хилла Дауд дӀахӀоьттича, цуьнан ткъе итт шо дара. Дауда шовзткъа шарахь паччахьалла дира.</verse>
				<verse number="5">Хьевронехь ша волуш, цо ЯхӀудан халкъана тӀехь ворхӀ шараххьий, ялх баттаххьий шен паччахьалла латтийна, ткъа Ярушалаймехь иза дерриг а Исраилан халкъана а, ЯхӀудан халкъана а тӀехь ткъе кхойтта шарахь паччахь хилла лаьттира.</verse>
				<verse number="6">Паччахь а, цуьнца болу нах а Ярушалайме бахара, цигахь бехаш болчу явсайхошна тӀелата. Ткъа цара Дауде элира: «Хьо кхуза чувогӀур вац: ур-атталла бӀаьрзечарий, астагӀчарий дӀалоллур ву хьо». Иза «Дауд кхуза чувалур вац» бохург дара.</verse>
				<verse number="7">Делахь а, уьш эша а бина, Дауда Цийон олуш йолу гӀап схьаяьккхина. ТӀаьхьо цу гӀопана, «Даудан гӀала» аьлла, цӀе тиллира.</verse>
				<verse number="8">Цу дийнахь Дауда элира: «Явсайхой эшо лууш мел верг лаьтта кӀелахь йолчу биргӀанехула ваха веза, „бӀаьрзе а, астагӀа а“ болу сан мостагӀий болчу царна тӀекхачархьама». Цундела олуш ду: «АстагӀа верггий, бӀаьрзениггий цӀа чу вогӀур вац».</verse>
				<verse number="9">Дауд цу гӀопа чохь ваха хиира, цуьнан цӀе, «Даудан гӀала» аьлла, тиллира. Цо гӀалина гонах долчу лаьтта тӀехь гӀишлош дӀахӀиттийра. Цо Милло олучу гу тӀера дуьйна дӀахӀиттийнера уьш.</verse>
				<verse number="10">Даудан паччахьалла чӀагӀлуш дӀадоьдуш дара, массо ницкъийн Веза Дела а цуьнца вара.</verse>
				<verse number="11">Цора-гӀалара паччахьо Хьирама Дауд волчу геланчаш бахкийтира. Цара баганан дечиган дитташ а деара, шайца тӀулган а, дечиган а пхьераш а балийра. Цара Даудана цӀенош дира.</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха хиира Даудана Везачу Эло ша исраилхойн паччахьан даржехь чӀагӀвинийла а, Цо хаьржина долчу Исраилан халкъан дуьхьа шен паччахьалла айинийла а.</verse>
				<verse number="13">Хьевронера Ярушалайме а веана, Дауда шена кхин а зударий а, гӀарбаш-зударий а бигира. Кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира Даудан.</verse>
				<verse number="14">Ярушалаймехь цунна дина долчу берийн цӀераш иштта яра: ШамуӀ, Шубаб, Ната, Сулим,</verse>
				<verse number="15">Ибхьар, Эли-ШуӀа, Непаг, ЯпияӀ,</verse>
				<verse number="16">Эли-ШамаӀ, ЭлидаӀ, Эли-Пулат.</verse>
				<verse number="17">ПӀелаштамхошна Дауд Исраилан паччахь къобалвинийла дӀахиъча, уьш массо а иза лаха арабевлира. Амма Дауд, шена и хезча, шен чӀагӀйина йолчу меттиге дӀавахара.</verse>
				<verse number="18">Ткъа пӀелаштамхой, схьа а баьхкина, Репайм олучу тогӀи чохь охьахевшира.</verse>
				<verse number="19">Дауда Везачу Эле хаьттира: «Со пӀелаштамхошна дуьхьал вала мегий? Ахьа уьш сан кара схьалур буй те?» Везачу Эло жоп делира: «Мега. Аса пӀелаштамхой хьан кара дӀалур бу».</verse>
				<verse number="20">Дауда, БаӀал-Паруциме а вахана, пӀелаштамхой эшийра. Дауда элира: «Дистина тӀедогӀучу хино санна, Везачу Эло дӀабехира сан мостагӀий суна хьалхара». Цундела цу меттиган цӀе, БаӀал-Паруцим аьлла, тиллина (иза «хи тӀедаларан олахо» бохург ду).</verse>
				<verse number="21">ПӀелаштамхоша цигахь шайн цӀуш битира, ткъа Дауда а, цуьнца болчара а уьш схьаийцира.</verse>
				<verse number="22">Юха а пӀелаштамхой, баьхкина, Репайм олучу тогӀи чохь охьахевшира.</verse>
				<verse number="23">Дауда кхин цкъа а Везачу Эле хаттар дира, Цо цунна жоп делира: «Царна дуьхьал ара ма вала. ТӀехьахула тӀе а гӀой, комарийн дитташ долчу агӀор царна тӀелата.</verse>
				<verse number="24">Хьайна, комарийн диттийн баххьашкахула цхьаъ дӀавоьдуш санна, гӀовгӀа хазахь, сихха царна тӀе гӀо. Цунах хьуна хуур ду, Веза Эла, хьуна хьалха а ваьлла, пӀелаштамхойн эскар хӀаллакдан воьдийла».</verse>
				<verse number="25">Дауда Везачу Эло шена тӀедиллинарг кхочушдира. Цо пӀелаштамхойн эскар ГавӀон-гӀалара дуьйна ГӀазар-гӀалина тӀекхаччалц эшийра.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="6">
				<verse number="1">Дауда юха а уггар тоьлушха болу Исраилан тӀемалой шена тӀекхайкхира. Цунна ткъе итт эзар стаг схьагулвелира.</verse>
				<verse number="2">Дауд а, цуьнца долу массо адам а ЯхӀуд-махкарчу БаӀала-гӀала дахара, цигара Делан деза тӀорказ схьадан. Цу тӀорказца йоьзна цхьа леррина цӀе ю: массо а ницкъийн Везачу Элан цӀе. ТӀорказан негӀар тӀехь дина дӀахӀоттийна дашо ши каруб-малик ду. Царна тӀехула ю Везачу Элан меттиг.</verse>
				<verse number="3">Деза тӀорказ, гун тӀехь лаьттачу Абинадабан цӀа чуьра схьа а эцна, керлачу гӀудалкхана тӀе охьа а хӀоттийна, схьадеара. Ткъа Абинадабан кӀентий Ӏузий, Ахьъюй и гӀудалкх лелош вара.</verse>
				<verse number="4">Абинадабан цӀа чуьра арадаьккхина долу Делан деза тӀорказ гӀудалкхана тӀедиллира. Цу гӀудалкхана хьалхаваьлла Ахьъю вара.</verse>
				<verse number="5">Дауд а, исраилхой а Везачу Элана хьалха, зоьзан дечигах динчу тайп-тайпанчу пондаршца а, иштта дечиг-пондаршца а, жиргӀанашца а, горгалешца а, негӀарш вовшахдеттарца а, хелхабуьйлуш бара.</verse>
				<verse number="6">Нахонан хьаьтта кхаьчча, Ӏузас, куьг дӀа а кховдийна, Делан тӀорказ схьалецира, стерчаша иза агӀордаьккхина дела.</verse>
				<verse number="7">Амма Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара Ӏузина. Цо иза циггахь, цу тайпана, оза а ца луш, тӀорказна тӀе куьг даьхьна аьлла, вийра. Иза Делан тӀорказна уллохь велира.</verse>
				<verse number="8">ТӀаккха Дауд чӀогӀа оьгӀазвахара, Везачу Эло Ӏузина тохар бахьана долуш. И меттиг хӀинца а «Парас Ӏуза» олуш ю (иза «Ӏузина таӀзар дар» бохург ду).</verse>
				<verse number="9">Цу дийнахь Дауд чӀогӀа кхеравелира Везачу Элах. Цо элира: «Везачу Элан деза тӀорказ со волчу муха дахьар ду?»</verse>
				<verse number="10">Даудана ца лиира Везачу Элан тӀорказ ша волчу, Даудан гӀала, дӀадахьийта. Цундела цо иза гатихо волчу Ӏабади-Эдоман цӀа дӀадаьхьира.</verse>
				<verse number="11">Деза тӀорказ гатихо волчу Ӏабади-Эдоман цӀахь кхаа баттахь лаьттира. Везачу Эло Ӏабади-Эдом а, цуьнан дерриг цӀа а декъалдира.</verse>
				<verse number="12">Цхьа хан яьлча, наха Дауде элира: «Везачу Эло Ӏабади-Эдом а, цуьнан цӀа а декъалдина, Делан деза тӀорказ иза волчохь лаьттина дела». ТӀаккха Дауда воккхаверца Делан деза тӀорказ Ӏабади-Эдоман цӀера Даудан гӀала схьадаийтира.</verse>
				<verse number="13">Везачу Элан деза тӀорказ дахьаш богӀуш болчара хьалхара ялх гӀулч яьккхича, эса а, сту а сагӀина дейтира Дауда.</verse>
				<verse number="14">Дауд, шен берриг а ницкъаца воккха а веш, Везачу Элана хьалха хелхавуьйлура, цунна тӀеюьйхина гатанан оба бен, хӀумма а яцара.</verse>
				<verse number="15">Дауда а, дерриг а Исраилан халкъо а Везачу Элан деза тӀорказ, хазахетарца маьхьарий а детташ, коьман маӀаш а лоькхуш, схьадахьаш дара.</verse>
				<verse number="16">Везачу Элан тӀорказ Даудан гӀалина чоьхьа доккхучу хенахь, Шаулан йоӀ Михула корах арахьоьжуш яра. Шена, Везачу Элана хьалха ирх а лелхаш, воккхаверца хелхавуьйлуш волу Дауд-паччахь гича, шен даг чохь иза цунах ца ешира.</verse>
				<verse number="17">Везачу Элан тӀорказ, схьа а деана, Дауда хӀоттийначу Делан четар чохь охьадиллира. Везачу Элана хьалха Дауда дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш дехира.</verse>
				<verse number="18">Ша дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш даьхна ваьллачул тӀаьхьа, Дауда массо а ницкъийн Везачу Элан цӀарах халкъ декъалдира.</verse>
				<verse number="19">Массо а исраилхочунна, божаршна санна зударшна а, цо цхьацца бепиг а, Ӏаьвдинчу хурманийн цхьацца курс а, Ӏаьвдинчу кишмийн цхьацца курс а кховдийра. Адам шен-шен цӀа дахара.</verse>
				<verse number="20">Шен цӀа декъалдан дагахь Дауд шен чу веача, Шаулан йоӀа Михулас, кхунна дуьхьал а яьлла, элира: «Ма билгалвели тахана Исраилан паччахь, шен ялхойн гӀарбашашна хьалхахь верзина а ваьлла, пайда боцуш волу стаг верзина ма-валлара!»</verse>
				<verse number="21">Дауда Михуле элира: «Со халхаваьлла Везачу Элана хьалха, хьан ден метта а, цуьнан цӀийнах мел волчун метта а со хаьржина, дерриг а Исраилан халкъан паччахь вина дӀахӀоттийна волчу. Цунна хьалха со кхин а халхавер ву.</verse>
				<verse number="22">Сайн бӀаьргашкахь со кхин а кӀезиг хилла дӀахӀуттийла, амма ахьа буьйцуш болчу гӀарбашашна юкъахь сан сий хир ду хьуна».</verse>
				<verse number="23">Шаулан йоӀан Михулин ша елла дӀаяллалц бераш ца хилла.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="7">
				<verse number="1">Паччахь шен цӀахь Ӏаш вара. Везачу Эло иза шена гонах болчу мостагӀех мукъа витинера.</verse>
				<verse number="2">ТӀаккха паччахьо Ната-пайхамаре элира: «Хьажал, со баганан дечигах дина долчу цӀенна чохь Ӏаш ву, ткъа Делан тӀорказ четар бухахь лаьтташ ду».</verse>
				<verse number="3">Натас паччахье элира: «Хьайна дан дагадеанарг, ваха а гӀой, де, Веза Эла хьоьца ву».</verse>
				<verse number="4">Амма цу буссехь Натига Везачу Элан дош кхечира:</verse>
				<verse number="5">«Ваха а гӀой, Сан лай волчу Дауде дӀаала, Везачу Эло иштта боху алий: „Хьо вуй те Суна чохь Ӏан цӀа ден верг?</verse>
				<verse number="6">Исраилхой Мисар-махкара Аса арабаьхначу хенахь дуьйна схьа, таханлера де тӀекхаччалц, Со цӀа чохь Ӏийна вац. Ерриг а цу хенахь Со четар чохь Ӏийра, цхьана меттера вукху метте а вуьйлуш.</verse>
				<verse number="7">Исраилан халкъаца Со миччахьахула а лелачу хенахь халкъан тайпанашкара цхьаьнгге а, Сайн Исраилан къомана тӀехь Ӏуналла дан Айса къобалвинчуьнга хаьттиний ткъа Аса: ‘Аша Суна баганан дечигах цӀа хӀунда ца до?’“</verse>
				<verse number="8">Ткъа хӀинца, ваха а гӀой, Сан лай волчу Дауде дӀаала: „Массо а ницкъийн Везачу Эло хьоьга боху: ‘Аса хьо, уьстагӀий дажош волчуьра схьа а валийна, Сайн Исраилан халкъана тӀехь баьчча хӀоттийна.</verse>
				<verse number="9">Хьо мичча вахча а, Со массо а хенахь хьоьца хилла. Массо а хьан мостагӀий Аса хӀаллакбина. Аса дуьнен тӀехь сийлахь болчарна юкъахь а къаьсттина хьан сий хьаладоккхур ду.</verse>
				<verse number="10">Аса Сайн Исраилан халкъана меттиг билгалйоккхур ю, иза цигахь паргӀат охьахаийта а, цуьнга кхин са ца гатдайта а. Зуламечу наха уьш кхин хьийзор бац, юьхьанца,</verse>
				<verse number="11">мехкан куьйгалхой Сан къомана тӀехь Аса къобалбинчу хенахь дуьйна иза ма-хиллара. Аса хьан мостагӀех хьо кӀелхьарвоккхур ву. Аса хаам бо хьоьга, Веза Эла волчу Айса хьуна хьан тӀаьхьенах цӀа дийр ду аьлла.</verse>
				<verse number="12">Хьан денош чекх а девлла, хьо хьан дай болчу дӀакхелхинчул тӀаьхьа, Аса хьан тӀаьхьенах цхьаъ паччахь вина дӀахӀоттор ву, цуьнан паччахьалла чӀагӀ а дийр ду.</verse>
				<verse number="13">Цо Суна лерина цӀа дийр ду, ткъа Аса иза даим шен паччахьан даржехь чӀагӀвийр ву.</verse>
				<verse number="14">Со цуьнан да хир ву, иза Сан кӀант хир ву. Нагахь санна цо къа латадахь, Аса цунна таӀзар дийр ду. Нехан шедаца а, адамаша еттарца а таӀзар дийр ду Ас цунна.</verse>
				<verse number="15">Амма Аса иза Сайн безамах воккхур вац, хьан бӀаьргашна хьалхара ваьккхина волу Шаул Аса Сайн безамах ваьккхинехь а.</verse>
				<verse number="16">Хьан цӀа а, паччахьалла а Суна хьалха даим хир ду, хьан паччахьан гӀант ерриге а хенахь лаьттар ду!’“»</verse>
				<verse number="17">Дерриг и дешнаш а, шена хӀоьттина сурт а Натас ма-дарра дӀадийцира Дауде.</verse>
				<verse number="18">ТӀаккха Дауд-паччахьо, ваха а вахана, Везачу Элана хьалхахь дӀа а хӀоьттина, элира: «Со а мила вара, ва сан Хьалдолу Эла, сан цӀа а хӀун яра, Ахьа цу тайпана со даржехь лакхаваккхал?</verse>
				<verse number="19">Хьуна-м иза а кӀезиг хетта, сан Хьалдолу Эла! Ахьа Хьайн лай волчун цӀийнах хиндерг а схьадийци. Адамашна лерина иштта Ӏедал Хьан ду техьа, сан Хьалдолу Эла?</verse>
				<verse number="20">ХӀун эр ду Хьоьга Дауда? Хьуна Хьайн лай ма вевза, сан Хьалдолу Эла.</verse>
				<verse number="21">Айхьа аьллачун дуьхьа а, Хьайн деган лаамца а и даккхий хӀуманаш дина Ахьа, и шадерг Хьайн лайна дӀа а довзуьйтуш.</verse>
				<verse number="22">Хьо воккха ву, сан Хьалдолу Эла. Хьоьца нисван цхьа а стаг а вац, Хьо воцург Дела а вац, тхайн лергашна тхуна схьа-ма-хаззара.</verse>
				<verse number="23">Мичахь ду Хьан санна долу къам? Мичахь ду Исраилан санна долу халкъ? Шен дуьхьа Дела араваьлла къам дуьнен чохь цхьаъ бен дац. Дела аравелира, Шена и къам мехах схьаэцархьама а, Шен цӀе айархьама а, уьш бахьана долуш даккхий а, инзаре а гӀуллакхаш дархьама а. Айхьа Мисар-махкара мехах паргӀатдаьккхина долчу Хьайн къомана хьалхара важа къаьмнаш а, церан деланаш а дӀалохкура Ахь.</verse>
				<verse number="24">Ахьа Исраилан къам, Хьайн къам а дина, массо а ханна хаьржина, ткъа Хьо, Веза Эла, цуьнан Дела хилла дӀахӀоьттина.</verse>
				<verse number="25">Ткъа хӀинца, Веза Дела, Айхьа Хьайн лай волчу сох а, сан цӀийнах а лаьцна аьлла долу дош массо а тӀейогӀун йолчу ханна чӀагӀдехьа. Айхьа аьлларг кхочуш а дехьа,</verse>
				<verse number="26">массо а тӀейогӀун йолчу ханна Хьан цӀе язъяйтархьама. ТӀаккха наха эр ду: „Массо а ницкъийн Веза Эла — Иза Исраилан халкъан Дела ву!“ Иштта Хьан лай волчу Даудан цӀа Хьуна хьалха чӀагӀделла лаьттар ду!</verse>
				<verse number="27">Ткъа Ахьа, массо а ницкъийн Веза Эла, Исраилан халкъан Дела, Хьайн лай волчуьнга элира: „Аса хьуна цӀа дийр ду“. Цундела Хьан лай волу со Хьоьга хӀара доӀа дан Хьох хӀоьттира.</verse>
				<verse number="28">Сан Хьалдолу Эла! Хьо — Дела ву! Ахьа мел олуш дерг тешаме ду, ткъа хӀинца Хьайн лай волчунна иштта дика дан ваӀда дина Ахь!</verse>
				<verse number="29">Хьан лай волчун тӀаьхье декъалъехьа, иза массо а ханна а Хьайна хьалха хилийтархьама. Иза Ахьа соьга аьлларг ма ду, сан Хьалдолу Эла! Ахьа декъалдар бахьана долуш, Хьан лай волчун цӀа массо а хенахь декъал хир ду».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="8">
				<verse number="1">Цул тӀаьхьа Дауда пӀелаштамхошна тӀехь толам баьккхира. Иштта, цо пӀелаштамхойн карара цу лаьтта тӀехь хилла олалла схьадаьккхира.</verse>
				<verse number="2">Дауда иштта муабахой а эшийра. Уьш лаьтта тӀе охьа а бахкийтина, цхьана муьшаца церан барам билгалбаккхийтира цо. Шина муьшан барамехь берш байина дӀабехира, ткъа кхозлагӀчу муьшан барамехь берш дийна битира. Иштта, муабахой Даудан лай хилла дӀахӀиттира, кхунна ял а луш.</verse>
				<verse number="3">Рахьубан кӀант ХӀадад-Ӏезар Цобехь паччахь хилла. Иза, Эпрат-хина йистехула Ӏохкуш долчу латтанаш тӀехь шен паччахьалла дӀахӀотто воьдучу хенахь, Дауда эшийра.</verse>
				<verse number="4">Цо цуьнгара цхьа эзар ворхӀ бӀе бере а, ткъа эзар тӀемало а схьаваьккхира. Шен гӀудалкхашна хьалха дӀайожа бӀе говр бен ца юьтуш, массо а говрийн когийн пхенаш хедийра цо.</verse>
				<verse number="5">Цоба-мехкан паччахь волчу ХӀадад-Ӏезарна гӀоьнна Дамасакхера арамхой баьхкира, амма Дауда ткъе шиъ эзар арамхо хӀаллаквира.</verse>
				<verse number="6">Дауда арамхой Ӏаш болчу Дамасакхехь шен эскаран цхьайолу тобанаш дӀахӀиттийра. Иштта, арамхой а Даудан лай хилла дӀахӀиттира, цунна ял а луш. Везачу Эло Дауд иза араволучу массо а меттера толамца цӀа воьрзуьйтура.</verse>
				<verse number="7">ХӀадад-Ӏезаран баьччанех дисина долу дашо турсаш схьа а эцна, Дауда Ярушалайме схьадеара.</verse>
				<verse number="8">ХӀадад-Ӏезаран олаллехь хиллачу Тебахьара а, Бератай-гӀалара а цо дукха ез схьадаьккхира.</verse>
				<verse number="9">Хьамат-гӀалахь паччахь волчу ТоӀина хезира, ХӀадад-Ӏезаран эскар Дауда эшийна аьлла.</verse>
				<verse number="10">ТӀаккха ТоӀас шен кӀант Йорам вахийтира Даудан сий дан а, цунна ХӀадад-Ӏезар эшаварна баркалла ала а, ХӀадад-Ӏезар шеца кест-кеста тӀом беш схьавеана дела. Ша Дауд волчу вогӀуш, Йорама дашо а, дато а, цӀестан а пхьегӀаш еара.</verse>
				<verse number="11">Уьш а Дауда Везачу Элана лерина дечу гӀуллакхна йитира, ша эшийначу къаьмнашкара схьа мел даьккхина долу хӀума санна,</verse>
				<verse number="12">эдомхошкара а, муабахошкара а, Ӏамминхошкара а, пӀелаштамхошкара а, Ӏамалекхахошкара а, иштта Цобин паччахь волчу Рахьубан кӀантера ХӀадад-Ӏезарера ша схьадаьккхинарг санна.</verse>
				<verse number="13">Дуьрачу тогӀи чуьра, берхӀитта эзар эдомхо а эшийна, Дауд юхавирзича, цуьнан чӀогӀа сий деш цӀе яккха йолийра.</verse>
				<verse number="14">Дауда Эдомехь шен эскаран тобанаш дӀахӀиттийра, ткъа массо а эдомхо цуьнан лай хилла дӀахӀоьттира. Везачу Эло Дауд ша араволучу массо а меттигера толамца цӀа воьрзуьйтура.</verse>
				<verse number="15">Дерриг а Исраилан халкъана тӀехь паччахьалла а деш, шен халкъаца бакъо а, нийсо а лелош вара Дауд.</verse>
				<verse number="16">Царуятан кӀант Йоаб цуьнан эскаран хьаькам вара, ткъа Ахьлудан кӀант ЯхӀушапти пачхьалкхан гӀуллакхаш яздархо вара.</verse>
				<verse number="17">Ахьтубин кӀант ЦӀадукъа а, Абу-ЯтӀарин кӀант Ахьи-Малик а динан дай бара, ткъа Сари-ЯхӀу йозанчин болх беш вара.</verse>
				<verse number="18">ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу кератхошний, палетхошний тӀехь хьаькам вара, ткъа Даудан кӀентий паччахьан хьехамчаш бара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="9">
				<verse number="1">Дауда хаьттира: «Шаулан цӀийнах цхьа а дийна висний те? Аса цунна дика гӀуллакх дийр дара ЯхӀунатин дуьхьа».</verse>
				<verse number="2">Шаулан цӀа чохь цхьа ялхо хиллера, Цуба цӀе а йолуш. Иза Дауд волчу кхайкхина схьавалийра. Дауда цуьнга хаьттира: «Хьо вуй Цуба?» Цо жоп делира: «Ву, хьан лай волу со».</verse>
				<verse number="3">Паччахьо элира: «Шаулан цӀийнах волу кхин цхьа а вуй дийна висна? Аса цунна дика гӀуллакх дийр дара, Далла хьалха айса чӀагӀо ма-ярра». Цубас паччахье элира: «ЯхӀунатин кӀант ву, когашна астагӀа а волуш».</verse>
				<verse number="4">Паччахьо хаьттира: «Мичахь ву иза?» Цубас паччахьна жоп делира: «Ладебарахь, Ӏамиалан кӀант волчу Макиран цӀа чохь ву».</verse>
				<verse number="5">Дауда, Ладебаре шен нах а бахийтина, Ӏамиалан кӀант Макир волчуьра иза схьавалавайтира.</verse>
				<verse number="6">Шаулан кӀентан ЯхӀунатин кӀант волчу Мапи-Бошата, Дауд волчу схьа а веана, цунна хьалха лаьтта кхаччалц шен корта охьатаӀийра. Дауда цуьнга элира: «Мапи-Бошат!» Вукхо элира: «Кхузахь ву хьан лай».</verse>
				<verse number="7">Дауда цуьнга элира: «Кхера ма лолахь. Хьан ден ЯхӀунатин дуьхьа аса дика гӀуллакх дийр ду хьуна: Хьан деден Шаулан тӀаьхьенан массо а латтанаш хьуна юхадерзор ду, ткъа хьо массо а хенахь сан шуьн чуьра кхача баа йиш йолуш а хир ву».</verse>
				<verse number="8">Мапи-Бошата, корта а тухуш, элира: «Хьан лай волу со, деллачу жӀаьлел а оьшуш велахь а, ахьа хьайна тӀеуьйзи».</verse>
				<verse number="9">Шаулан ялхо хилла волу Цуба шена тӀе а кхайкхина, Дауда элира: «Шаулан а, цуьнан массо а цӀийнан а долахь хилла долу хӀума аса хьан элан кӀентан кӀантана дӀало.</verse>
				<verse number="10">Ахьа а, хьан бераша а, хьан ялхоша а цуьнан латта лело деза, цу лаьтта тӀера схьадаьлла долу напха иза волчу схьадан а деза, цуьнан кертахь массо а хенахь яа а, мала а хӀума хилийта. Ткъа хьан элан кӀентан кӀант Мапи-Бошат со волчохь яа хӀума юуш хир ву». (Цубин пхийтта кӀант а, ткъа ялхо а вара.)</verse>
				<verse number="11">Цубас паччахье элира: «Хьан лай волчо шен паччахьо мел аьлларг кхочушдийр ду». Ткъа Мапи-Бошат Даудан цӀахь яа хӀума юуш вара, ша цуьнан кӀант волуш санна.</verse>
				<verse number="12">Мапи-Бошатан жима кӀант хилла, Мика цӀе а йолуш. Цубин цӀахь Ӏаш мел верг Мапи-Бошатан лай хилла.</verse>
				<verse number="13">Мапи-Бошат Ярушалаймехь Ӏаш хилла, хӀунда аьлча иза массо а хенахь паччахь волчохь яа хӀума юуш хилла. Иза шинна а когана астагӀа хилла.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="10">
				<verse number="1">Цхьа хан яьлча, Ӏамминхойн паччахь велира. Цуьнан метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Хьануни.</verse>
				<verse number="2">Дауда элира: «Нахьаш соьца дика хилла дела, со а цуьнан кӀантаца дика хир ву». Цо шен ялхой бахийтира Хьанунига кадам бан. Даудан ялхой Ӏамминхойн махка бахара.</verse>
				<verse number="3">Амма Ӏамминхойн элаша шайн олахочуьнга элира: «Хьуна баккъалла-м ца моьтту, Дауда хьан дега шен хилла болу ларам бахьана долуш бахкийтина хьуна тӀе догъоьцурш? Дауда шен ялхой бахкийтина, хьан гӀалахь дерг дикка талла а теллина, цул тӀаьхьа иза йохо дагахь».</verse>
				<verse number="4">Хьанунис, Даудан ялхой схьа а лаьцна, хӀораннан а ах маж дӀаешира, цул тӀаьхьа, царна тӀера бедарш вареш тӀе кхаччалц дӀа а хедийна, уьш дӀахийцира.</verse>
				<verse number="5">Иза шена дӀахезча, Дауда шен ялхошна дуьхьал нах бахийтира, уьш чӀогӀа юьхьӀаьржачу хӀиттийна хилла дела. Паччахьо цаьрга хабар дахьийтира: «Шайн мажош яхъяллалц, Ерихонехь совца. Цул тӀаьхьа цӀа догӀур ду шу», — аьлла.</verse>
				<verse number="6">Даудана шаьш, лаьхьанна тоьхна гӀаж санна, боьха хетийла хиъча, Ӏамминхоша Байт-Рахьубера а, Цобера а ткъа эзар гӀашло волу арамхо лецира. МаӀхин паччахь волчуьра — цхьа эзар стаг, ткъа ТӀобера шийтта эзар стаг лецира.</verse>
				<verse number="7">Шена иза хиъча, Дауда Йоаб вахийтира цига, цуьнца доьналла долу берриг а тӀемалой а болуш.</verse>
				<verse number="8">Ӏамминхой, гӀалин кертара ара а бевлла, тӀамана кечбелла дӀахӀиттира. Ткъа Цобера а, Байт-Рахьубера а арамхой, иштта ТӀобера а, МаӀхера а нах шерачу аренгахь юьстахбевлла лаьтташ бара.</verse>
				<verse number="9">МостагӀчун эскарийн могӀарш шена тӀехьа а, хьалха а дӀахӀиттина гича, Йоаба исраилхошна юкъара уггар тоьлла болу тӀемалой арамхошна дуьхьалбехира.</verse>
				<verse number="10">Кхиболу эскархой цо шен вешига Абушайга дӀабелира Ӏамминхошна дуьхьалбаха.</verse>
				<verse number="11">Йоаба Абушайга элира: «Арамхоша со эшочу далахь, ахьа суна гӀо дийр ду, нагахь санна Ӏамминхоша хьо эшош хилахь, аса хьоьгахьа гӀо доккхур ду.</verse>
				<verse number="12">Доьналла долуш хила. Майра лаьттар ду вай, Исраилан халкъ а, вайн Делан гӀаланаш а ларъеш. Ткъа Везачу Эло Шен лаам берг дийр ду».</verse>
				<verse number="13">Йоаб шен эскарца арамхошна тӀелетира, ткъа вуьш цунах бевдда дӀабахара.</verse>
				<verse number="14">Ӏамминхой, шайна арамхой уьдуш гича, Абушайна дуьхьал бевллачуьра бевдда гӀала дӀабахара. Ӏамминхой болчуьра юха а вирзина, Йоаб Ярушалайме схьавеара.</verse>
				<verse number="15">Арамхоша, шаьш исраилхоша эшийна хилар гича, цхьаьна а кхетта, юха а эскар дӀахӀоттийра.</verse>
				<verse number="16">ХӀадад-Ӏезар-паччахьо Эпрат-хил дехьа Ӏаш болчу арамхошка схьакхайкхира. Уьш, ХӀадад-Ӏезаран тӀеман хьаькам волчу Шобаха, куьйгалла а деш, Хьайламе схьагулбелира.</verse>
				<verse number="17">И хаам шега кхаьчча, Дауд, массо а исраилхо вовшах а тоьхна, Йордан-хил дехьа а ваьлла, Хьайламана тӀе боьдучу новкъа велира. Цигахь арамхой Даудана дуьхьал дӀахӀиттира. Уьш вовшех летира.</verse>
				<verse number="18">Амма арамхой исраилхойх бевдда дӀабахара. Церан гӀудалкхех Дауда ворхӀ бӀе хӀаллакйира, ткъа дошлойх шовзткъа эзар стаг а вийра. Дауда иштта арамхойн тӀеман хьаькам волу Шобах а, чов а йина, лазийра, иза циггахь велира.</verse>
				<verse number="19">ХӀадад-Ӏезаран куьйга кӀел хилла болчу паччахьаша, шаьш исраилхоша эшош хилар гича, Даудаца барт бира, уьш цунна къера а хилира. Ткъа арамхой Ӏамминхошна гӀо дан кхин ца хӀуттура.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="11">
				<verse number="1">Шо даьлча, паччахьаш тӀамана арабовлучу хенахь, Дауда Исраилан халкъан эскар а, шен эскархой а Йоабаца арабовлийтира. Цара, Ӏамминхой эша а бина, церан Рабба олучу гӀалина го бира. Ткъа Дауд Ярушалаймехь сецира.</verse>
				<verse number="2">Цхьана дийнахь вижначуьра гӀаьттина волу Дауд паччахьан цӀийнан шерачу тхов тӀехула волавелла лелаш вара. Цигара дӀахьаьжча, цунна хи чохь луьйчуш йолу цхьа зуда гира. Иза чӀогӀа хаза яра.</verse>
				<verse number="3">Цо, и зуда мила ю хьажа, ялхо вахийтира. Ялхочо Дауде элира: «Иза ЭлиӀаман йоӀ Бат-ШабаӀ ю, хьетахо волчу УръяхӀун зуда а ю».</verse>
				<verse number="4">Ткъа Дауда и зуда ша волчу схьаяло геланчаш бахийтира. Иза Дауд волчу схьаялийра, Дауд цунах кхийтира. (Ткъа шен беттан цӀанъялар цу зудчо хӀинца чекхдаьккхинера.) ТӀаккха иза шен цӀа яхара.</verse>
				<verse number="5">Иза берах хилира. Цо Дауде, ша берах ю аьлла, хабар дахьийтира.</verse>
				<verse number="6">Дауда Йоабе хабар дахьийтира: «Схьахьажаве со волчу хьетахо волу УръяхӀу», — аьлла. Йоаба УръяхӀу Дауд волчу дӀавахийтира.</verse>
				<verse number="7">УръяхӀу Дауд волчу веара. Паччахьо цуьнга Йоабах лаьцна а, эскарх лаьцна а, тӀамах лаьцна а хеттарш дира.</verse>
				<verse number="8">Цул тӀаьхьа Дауда УръяхӀуга элира: «ЦӀа а гӀой, хьайн ши ког била». УръяхӀу паччахьан цӀа чуьра аравелира. Цунна тӀаьхьа совгӀатна паччахьо даар-малар дахьийтира.</verse>
				<verse number="9">Амма УръяхӀу шен цӀа ца вахара. Шен олахочун массо а ялхочуьнца паччахьан цӀийнан ков долчу дӀавижира иза.</verse>
				<verse number="10">Дауде, УръяхӀу шен цӀа ца вахана аьлла, хаам кхаьчначул тӀаьхьа, паччахьо цуьнга хаьттира: «Бехачу новкъара юхавирзина ма ву хьо, хьайн цӀа хӀунда ца вахара хьо?»</verse>
				<verse number="11">УръяхӀус Дауде элира: «Делан тӀорказ а, Исраилан халкъ а, ЯхӀудан халкъ а четарш кӀелахь ду. Сан эла волу Йоаб а, цуьнан массо а эскархо а аренгахь шайн меттамотт лаьттачохь бу. Муха Ӏийр вара со, сайн цӀа а вахана, дууш-молуш, сайн зудчуьнца дӀа а вуьжуш? Хьан дахарх а, хьан синах а дуй боу аса, и санна дерг дийр ма дацара аса аьлла».</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха Дауда УръяхӀуга элира: «Кхин цхьа де а даккха кхузахь, кхана аса дӀавохуьйтур ву хьо». Кханалера де тӀекхаччалц, УръяхӀу Ярушалаймехь сецира.</verse>
				<verse number="13">Дауда УръяхӀу ша волчу дӀакхайкхира. И шиъ дууш, молуш Ӏийра. Дауда цунна малийра. Амма УръяхӀу юха а, шен цӀа а ца воьдуш, шен паччахь волчу элан ялхошца цхьаьна дӀавижа вахара.</verse>
				<verse number="14">ШолгӀачу Ӏуьйранна Дауда, Йоабе кехат а яздина, иза УръяхӀуца дӀадахьийтира.</verse>
				<verse number="15">Кехата тӀехь Дауда яздира: «УръяхӀу тӀамехь хьалхахь лаьтташ болчу тӀемалошца дӀахӀоттаве, уггар чӀогӀа тӀом бечу меттехь. Цул тӀаьхьа, цунна уллора дӀа а довлий, иза вейта».</verse>
				<verse number="16">Леррина гӀала дӀахьаьжча, Йоабана хаьара, уггар майра Ӏамминхой мичахь лаьтташ бу. Цу метте УръяхӀу дӀавахийтира цо.</verse>
				<verse number="17">ГӀалара нах, ара а бевлла, Йоабан эскарца тӀом бан хӀиттича, Даудан эскарна юкъара масех стаг вийра. Хьетахо волу УръяхӀу а вара царах цхьаъ.</verse>
				<verse number="18">Йоаба тӀамехь мел хилларг Дауде дӀадийца стаг вахийтира.</verse>
				<verse number="19">Ша вохуьйтуш волчу геланчина тӀедиллира Йоаба: «Хьо тӀамах лаьцна паччахьна дӀадийцина ваьлча,</verse>
				<verse number="20">хьайна иза оьгӀазвахана гахь, цо резавоцуш хьоьга: „Шу стенна дахнера гӀалина улло? Шуна ца хаьара, шайна гӀалин пенаш тӀера пхерчий кхуьссур дуйла?</verse>
				<verse number="21">Хьан вийна Яруб-Бошатан кӀант Абу-Малик? Зудчо ца кхоьссина цунна тӀе кохьаран дакъа, иза Табацахь вала а леш? Стенна дахнера шу цу гӀалин гонахарчу пенна сел улло?“ — ала мега. Цо иза аьллачул тӀаьхьа, ахьа хаам бе: „Хьан лай волу хьетахо УръяхӀу а вийна“ — алий».</verse>
				<verse number="22">Геланчо, дӀа а вахана, Дауде, Йоаба шена ма-хьеххара, тӀамах лаьцна шадерг а дӀадийцира.</verse>
				<verse number="23">Цо шен къамелехь кхин а тӀетуьйхира: «Эрначу арахь и нах тхуна тӀелетира. Оха цаьрца тӀом болийра, цул тӀаьхьа, лаьхкина, уьш гӀалин кевнна тӀе кхаччалц дӀа а бигира.</verse>
				<verse number="24">Цул тӀаьхьа хьан эскархой болчийн агӀор гӀалин пенаш тӀера пхерчий кхисса долийра. Цхьаболу хьан леш байина. Царна юкъахь ву хьетахо волу УръяхӀу а».</verse>
				<verse number="25">ТӀаккха Дауда геланчехула Йоабе хабар дахьийтира, цуьнан дог иракарахӀотторхьама: «И хӀума бахьана долуш хьо юьхьӀаьржачу ма хӀотта. ТӀамехь тур цкъа цхьанна кхета, тӀаккха вукхунна кхета. ТӀом чӀагӀ а бе, и гӀала хӀаллак а е».</verse>
				<verse number="26">Шега УръяхӀу велла аьлла хаам бича, Бат-ШабаӀ шен майрачунна тийжира.</verse>
				<verse number="27">Тийжаран зама чекхъяьлча, Дауда и йолчу стаг вахийтира Бат-ШабаӀ шен цӀа схьаялаяйта. Иза цуьнан зуда хилла дӀахӀоьттира, цо Даудана кӀант а вира. Амма Везачу Элана и хӀума ца дезаделира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="12">
				<verse number="1">Везачу Эло Ната-пайхамар Дауд волчу вахийтира. Цо, паччахь волчу а веана, элира: «Цхьана гӀалахь Ӏаш ши стаг хилла. Царах цхьаъ хьал долуш хилла, ткъа важа къен хилла.</verse>
				<verse number="2">Хьалдолчун дуккха а уьстагӀий а, бежанаш а хилла.</verse>
				<verse number="3">Ткъа къен волчун, ша эцна цхьа жима Ӏахар бен, кхин хӀумма а ца хилла. Цо, яа хӀума а луш, дола а деш, кхиош хилла иза. Жима Ӏахар цуьнан берашца цхьаьна хьалакхиъна. Цу стага дӀакховдийна долу бепиг дууш хилла Ӏахаро, цуьнан кеда чуьра молуш а хилла, цуьнан некха тӀехь дӀабуьжуш а хилла иза. Цу стагана шен йоӀ санна хеташ хилла иза.</verse>
				<verse number="4">Хьал долуш верг волчу ваьлла лелаш волу цхьа стаг веана. Амма хьолахочунна ца лиира шен уьстагӀашна а, стерчашна а юкъара, цхьаъ схьа а къастийна, ваьлла лелаш волчу стагана цунах яа хӀума кечъян. Цо, къечу стеган уьстагӀ схьа а лаьцна, цунах хьешана пхьор кечдира».</verse>
				<verse number="5">Дауд цу стагана чӀогӀа оьгӀазвахара. Цо Натига элира: «Дийна волчу Делах дуй боу аса, и хӀума дина волу стаг вен ма веза!</verse>
				<verse number="6">Цу уьстагӀна дуьхьал цо доьазза дукха мах бала ма беза, хӀунда аьлча цуьнан даг чохь къинхетам ца хилла, и хӀума ша деш».</verse>
				<verse number="7">ТӀаккха Ната-пайхамаро Дауде элира: «Хьо ву-кх и стаг! Исраилан халкъан Везачу Дала иштта боху: „Аса хьо Исраилан халкъана тӀехь паччахь хилийта къобалвина. Аса ваьккхина хьо Шаулан куьйга кӀелара схьа.</verse>
				<verse number="8">Аса хьан элан цӀа а, цуьнан зударий а хьуна дӀабелла. Аса иштта Исраилан халкъана а, ЯхӀудан халкъана а тӀехь паччахьалла а делла хьуна. Нагахь санна хьуна иза кӀезиг хеттехь, Аса кхин а дукха рицкъа лур дара хьуна.</verse>
				<verse number="9">Хьо Везачу Элах хӀинца ца вешира, Цо ца магийна долу зе а дина? Ахьа хьетахо волчу УръяхӀуна тур а туьйхи, цуьнан зуда хьайна схьа а ялий, ткъа иза Ӏамминхойн карах вала а валийти.</verse>
				<verse number="10">Цундела тур хьан цӀенна массо а хенахь кхераме хир ду, хӀунда аьлча ахьа, Сох а ца вешаш, хьетахо волчу УръяхӀун зуда хьайна дӀайигна“.</verse>
				<verse number="11">Везачу Эло иштта боху: „Аса хьуна зе хьан цӀа чуьра доуьйтур ду. Хьуна хьалха хьан зударий, схьа а эцна, хьуна чӀогӀа хьомсара хеташ волчу стагана дӀалур бу. Дийнан делккъехь, массарна а гуш, хьан зударех кхетар ву иза.</verse>
				<verse number="12">И санна долу хӀума ахьа къайлаха дина, ткъа Аса иза, дерриг а Исраилан халкъана дӀа а хоуьйтуш, дийр ду“».</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха Дауда Натига элира: «Везачу Элана хьалха аса къа латийна». Натас Даудана жоп делира: «Везачу Эло ахьа латийначу къиношна гечдо хьуна. Хьо лийр вац.</verse>
				<verse number="14">Амма, хьайгара далийтинчу цу хӀуманехула хьо Везачу Элах чӀогӀа ца ваьшна дела, хьуна вина волу кӀант лийр ву».</verse>
				<verse number="15">Ната шен цӀа вахара. Везачу Эло УръяхӀун зудчо Даудана дина долчу берана цамгар туьйхира. Иза чӀогӀа цомгуш хилира.</verse>
				<verse number="16">Дауд, и бер Деле доьхуш, доӀа деш вара. Цо марха лаьцнера. Шен цӀа чохь ша а висна, лаьтта охьа а вижна, буьйса яьккхира Дауда.</verse>
				<verse number="17">Цуьнан цӀийнах болу къаной, иза волчу а баьхкина, иза лаьттара хьалагӀатто гӀерташ бара, амма Дауд цигара хьала а ца гӀаьттира, цаьрца цо яа хӀума а ца йиира.</verse>
				<verse number="18">ВорхӀалгӀачу дийнахь бер делира. Даудан ялхой цунах кхоьрура и бер деллий дӀахаийта. Цара бохура: «И бер дийна долчу хенахь а цо тхо тергал ца дора. И бер делла хилар оха муха хаийта деза цуьнга? Цо цхьа доьхна дерг дан там бу».</verse>
				<verse number="19">Даудана гинера шен ялхоша вовшашлахь шабар-шибар деш. ТӀаккха кхийтира иза шен бер делла хиларх. Цо хаьттира: «Бер делла?» Ялхоша жоп делира: «Делла».</verse>
				<verse number="20">ТӀаккха Дауд, лаьттара хьала а гӀаьттина, лийча а лийчина, шена тӀе даьтта а хьаькхна, тӀера бедарш а хийцина, Везачу Элан четар чу Цунна Ӏибадат дан вахара. Цигара цӀа веанчул тӀаьхьа, цо, шена бепиг а даийтина, яа хӀума йиира.</verse>
				<verse number="21">Ялхоша цуьнга хаьттира: «И хӀун ду ахь лелош дерг? Бер дийна долчу хенахь хьо, марха кхобуш, воьлхуш вара, ткъа иза деллачул тӀаьхьа, хьо хьала а гӀаьттина, бепиг дууш ма ву?»</verse>
				<verse number="22">Дауда царна жоп делира: «Бер дийна мел ду, со воьлхуш а вара, марха кхобуш а вара, хӀунда аьлча со, Везачу Эло къинхетам а бина, бер дийна дисаре сатуьйсуш вара.</verse>
				<verse number="23">Ткъа хӀинца бер делла. Аса стенна кхобу марха? Соьга иза денлур ма дац. Со и бер дахханчу дӀагӀур ву, ткъа иза со волчу юхадоьрзур дац».</verse>
				<verse number="24">Дауда шен зудчун Бат-ШабаӀан дог ийцира. И йолчу а вахана, Дауд цуьнца дӀавижира. Бат-ШабаӀа юха а кӀант вира Даудана. Цунна Сулим цӀе тиллира. Иза Везачу Элана дукхавезавелира,</verse>
				<verse number="25">цундела Цо Ната-пайхамар вахийтира цига. Везачу Эло ма-бохху, цо берана, Ядид-ЯхӀу аьлла, цӀе тиллира (иза «Везачу Элан хьомениг» бохург ду).</verse>
				<verse number="26">Йоаб Ӏамминхойн Рабба-гӀалина дуьхьал тӀом беш вара. Цуьнан паччахьан гӀап схьаяьккхира цо.</verse>
				<verse number="27">Йоаба Дауд волчу геланчаш бахийтира хаам эцна: «Аса, Рабба-гӀалахь тӀом а бина, кхузара хи долу меттиг схьалаьцна.</verse>
				<verse number="28">Бисина болу эскархой схьа а гулбай, гӀалина тӀе а волий, иза схьаяккха. Нагахь санна иза аса схьаяккхахь, цунна сан цӀе тилла езар ю».</verse>
				<verse number="29">Дауд, массо а эскархо схьа а гулвина, Рабба-гӀала вахара, цо тӀамца иза схьа а яьккхира.</verse>
				<verse number="30">Дауда церан паччахьан коьртара деших дина, дезачу жовхӀарех кхелина долу таж схьаийцира. И таж цхьа гали деших дина дара. И таж Даудан коьрта тӀе диллира. Цо дуккха а хӀонс араяьккхира цу гӀалара.</verse>
				<verse number="31">Дауда, Рабба-гӀалахь мел болу бахархой ара а баьхна, уьш херхашца, аьчка отургашца, дагаршца болх бан дӀахӀиттийра. Ткъа иштта кибарчигаш а йоттура цара. Цо массо а Ӏамминхойн гӀаланашкахь и тайпа белхаш дӀахӀиттийра. Цул тӀаьхьа Дауд а, цуьнан эскар а Ярушалайме юхадирзира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="13">
				<verse number="1">Даудан кӀентан Абушаламан, Тамара бохуш цӀе а йолуш, чӀогӀа хаза йиша хилла. Ткъа Даудан кхечу зудчун кӀантана Амнанна и шен йиша Тамара езаелла.</verse>
				<verse number="2">Иза дукха чӀогӀа езарна Амнан могуш воцуш хилла. Ткъа Тамара йоӀстаг хилла, цундела Амнан йиш йоьхна лелаш хилла.</verse>
				<verse number="3">Цуьнан, ЯхӀу-Надаб бохуш цӀе а йолуш, доттагӀа хилла. Иза Даудан вешин ШимӀин кӀант вара. ЯхӀу-Надаб чӀогӀа хӀилла долуш стаг вара.</verse>
				<verse number="4">Цо Амнане элира: «Хьо де мел дели вочу волуш схьавогӀуш ма ву, паччахьан кӀант. Соьга схьа ца дуьйцу ахьа, хьайна хӀун хилла?» Амнана цуьнга элира: «Сан вешин Абушаламан йиша Тамара езаелла суна».</verse>
				<verse number="5">ЯхӀу-Надаба цуьнга элира: «Хьайн метта охьавижа, хьо цомгуш волуш санна. Хьайн да хьайга хьажа веача, цуьнга ала: „Сан йиша Тамара яийтахьа со волчу, цуьнга, суна а гуш, юург а яйтина, суна иза яо. Сайна иза дуьхьал а йолуш, цуьнан карара юур яра аса и юург“».</verse>
				<verse number="6">Амнан, ша цомгуш волуш санна, метта охьавижира. Паччахь ша волчу веача, Амнана цуьнга элира: «Сан йиша Тамара со волчу яийтахьа. Нагахь санна цо суна хьалха цхьайолу мерза хӀуманаш яттахь, аса уьш, цуьнан карара схьа а оьцуш, юур яра».</verse>
				<verse number="7">Дауда Тамара йолчу бахийтира, цуьнга, шен вешин Амнанан цӀа а гӀой, цунна яа хӀума кечъе аьлла.</verse>
				<verse number="8">Шен ваша Амнан волчу яхара Тамара. Иза цомгуш Ӏуьллуш гира цунна. Дама схьа а эцна, бод хьакхийра цо. Цунна хьалха мерза хӀуманаш а йира.</verse>
				<verse number="9">Чохь мерза хӀуманаш йоттуш йолу зайла схьа а эцна, Амнана хьалха юург охьайиллира Тамарас. Амма Амнана хӀума ца йиира. Цо элира: «Со волчуьра массо а аравала». Иза волчуьра массо а аравелира.</verse>
				<verse number="10">Цул тӀаьхьа Амнана Тамарига элира: «Юург со дӀавуьжучу цӀа чу дӀахьо, аса хьан карара юур ю иза». Тамарас юург Амнан дӀавуьжучу цӀа чу дӀаяьхьира.</verse>
				<verse number="11">Цо юург шена хьалха охьахӀоттийча, Амнана, Тамара катоьхна схьа а лаьцна, элира: «Охьайижа соьца, сан йиша».</verse>
				<verse number="12">Амма Тамарас элира: «ХӀан-хӀа, сан ваша. Ма тоха сох куьг. Исраилан махкахь и санна долу хӀума лелош дац. И сонта хӀума ма де.</verse>
				<verse number="13">Аса хӀун дан деза, ахьа со юьхьӀаьржачу хӀоттийначул тӀаьхьа? Хьо а наха сонта стаг санна вуьйцур ву. Паччахьца къамел де, иза дуьхьал хир вац хьуна со хьоьга дӀаяла».</verse>
				<verse number="14">Амма иза Тамарига ладогӀа лууш вацара. Шен ницкъ цуьначул сов болу дела, цо иза, хьийза а йина, сийсазъяьккхира.</verse>
				<verse number="15">Цул тӀаьхьа Амнан цуьнца чӀогӀа гамвелира. Амнанан цабезам цуьнан безамал а чӀогӀа чӀагӀбеллера. Амнана элира: «Хьала а гӀаттий, дӀагӀо».</verse>
				<verse number="16">ТӀаккха Тамарас элира: «Ма эккхае со дӀа. ХӀинца ахьа соьга бохург хьалха ахьа суна динчу вонал а чӀогӀа ду». Амма иза цуьнга ладогӀа лууш вацара.</verse>
				<verse number="17">Цо шен гӀуллакх деш лелаш волчу ялхочуьнга, схьа а кхайкхина, элира: «Араяккха и зуда со волчуьра, цунна тӀаьхьа неӀаран гӀуй дӀаболла».</verse>
				<verse number="18">Ялхочо, иза ара а яьккхина, цунна тӀаьхьа неӀ дӀакъевлира. Тамарина тӀехь еха бедарш яра. И тайпа бедарш паччахьан маре дахаза долчу зудабераша лелайора.</verse>
				<verse number="19">Тамара, шен коьрта тӀе чимаш а тесна, шена тӀехь йолу еха бедарш этӀа а йина, коьрта тӀе ши куьг а диллина, тийжаш йогӀуш яра.</verse>
				<verse number="20">Цуьнан вашас Абушалама хаьттира: «Хьоьца хилларг хьан ваша Амнан-м вацара? Ма елха, сан йиша. Иза хьан ваша ву. И хӀума хьайна чӀогӀа тӀе ма оза». ХӀусам йоьхна йолу Тамара шен вешин Абушаламан цӀахь ша Ӏаш яра.</verse>
				<verse number="21">Шена и хӀума дӀахиъча, Дауд чӀогӀа оьгӀазвахара.</verse>
				<verse number="22">Ткъа Абушалам, я вон, я дика дош аьлла, вист ца хилира Амнане. Цунна иза бӀаьрга ван а ца вийзира, цо шен йиша Тамара хьийзийна дела.</verse>
				<verse number="23">Ши шо дӀадаьллачул тӀаьхьа, Абушалам Эпрам-юьртана уллохь йолчу БаӀал-ХьацӀарахь шен уьстагӀий лоргуш вара. Цо массо а паччахьан кӀентий кхайкхира ша волчу.</verse>
				<verse number="24">Абушалама, паччахь волчу а вахана, цуьнга элира: «Со волчу уьстагӀий ларга нах баьхкина. Хьоьга а, хьан ялхошка а кхайкха веана со».</verse>
				<verse number="25">Амма паччахьо Абушаламе элира: «Сан кӀант, тхо шадерш а догӀур дац цига, хьуна новкъарло ца ян». ЧӀогӀа дехар дира Абушалама шен дега, амма Дауда иза, декъал а вина, дӀавахийтира.</verse>
				<verse number="26">ТӀаккха Абушалама элира: «Хьан цига ван карх ца далахь, соьца сан ваша Амнан мукъана а ваийтахьа». Паччахьо цуьнга хаьттира: «ХӀунда вогӀуш ву иза хьоьца?»</verse>
				<verse number="27">Амма Абушалама чӀогӀа дехар дина дела, паччахьо цуьнца Амнан а, шен массо кӀант а вахийтира. ТӀаккха Абушалама паччахьна лерина санна долу пхьор кечдира.</verse>
				<verse number="28">Абушалама шен ялхошна тӀедиллира: «Амнан ларвеш хилалаш. ЧагӀар меллачул тӀаьхьа цуьнан дог сакъералуш хир ду. Аса шайга „ТӀетоха цунна“, — аьллачул тӀаьхьа, Амнан, вей, дӀаваккхалаш. Шу кхера ма кхера. И хӀума аса тӀедиллина шуна. Майра а, доьналла долуш а хила».</verse>
				<verse number="29">Абушалама шайна тӀедиллинарг кхочушдира ялхоша. Амнан цара вийра, ткъа кхиболу паччахьан кӀентий, хьала а гӀевттина, шайн бӀарзанаш тӀе а хевшина, дӀабевдира.</verse>
				<verse number="30">Уьш дӀакхачале, Дауде хаам кхечира, Абушалама паччахьан берриге а кӀентий байина аьлла.</verse>
				<verse number="31">Паччахь, хьала а гӀаьттина, шена тӀера бедарш этӀа а йина, лаьтта охьавуьйжира. Цуьнан берриге а ялхоша а шайна тӀера бедарш этӀийра.</verse>
				<verse number="32">Амма Даудан вешин ШимӀин кӀанта ЯхӀу-Надаба элира: «Сан элана ма моьттийла шен массо а кӀант вийна. Вийнарг Амнан бен вац. Шен йиша Тамара цо хьийзийначу дийнахь дуьйна и бекхам бан гӀерташ вара иза.</verse>
				<verse number="33">Массо паччахьан кӀант вийна бохуш, хьайн дагна хало ма елахь. Вийнарг Амнан бен вац хьуна».</verse>
				<verse number="34">Ткъа Абушалам ведда дӀавахнера. ГӀалин ков тергалдечу жимачу кӀантана гира Хьоронаймерачу некъа тӀехула лам тӀера охьабуьссуш дукха нах. ТӀаккха кӀанта, ваха а вахана, паччахье элира: «Суна гира Хьоронаймера некъа тӀехула лам тӀера охьабогӀу дукха нах».</verse>
				<verse number="35">ЯхӀу-Надаба паччахье элира: «Гой хьуна! Ас ма-аллара, и богӀуш берш паччахьан кӀентий бу».</verse>
				<verse number="36">Цуьнан багара и дешнаш довллушехь, паччахьан кӀентий, белха а боьлхуш, схьакхечира. Дауд а, цуьнан ялхой а чӀогӀа боьлхуш бара.</verse>
				<verse number="37">Ткъа Абушалам, ведда дӀа а вахана, Гешурара паччахь волу ӀамихӀудан кӀант Талмай волчохь дӀалечкъира. Дауд-паччахь хӀора дийнахь шен кӀантана воьлхура.</verse>
				<verse number="38">Абушалам, Гешура ведда дӀа а вахана, кхаа шарахь цигахь Ӏийра.</verse>
				<verse number="39">Амнан валар бахьана долуш хилла болу сингаттам шена тӀерабаьлча, Абушаламна тӀаьхьаваьлла лела кхин ца лиира Даудана.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="14">
				<verse number="1">Царуятан кӀантана Йоабана хиира, Дауд-паччахь Абушаламах лаьцна ойланаш еш вуйла.</verse>
				<verse number="2">Цундела Йоаба ТакхоӀ олучу меттиге нах бахийтира, цигара цхьа хьекъале зуда шена тӀеялае аьлла. Цу зудчуьнга цо элира: «Хьо чӀогӀа гӀайгӀане ю моттийта, хьайна тӀе Ӏаьржа духар а духа, коьртах зайтдаьтта а ма хьакха. Хьо хьайн веллачу стагана йоьлху дикка хан йолуш санна лела.</verse>
				<verse number="3">Цул тӀаьхьа, паччахь волчу а гӀой, цуьнга хӀара дешнаш дӀаала». Йоаба цу зудчо паччахье ала дезаш долу дешнаш дӀахьийхира.</verse>
				<verse number="4">ТакхоӀ-гӀалара хьекъал долу зуда паччахь волчу чоьхьаелира. Цунна хьалха корта лаьтта кхаччалц охьатаьӀира иза. Зудчо элира: «ГӀо дехьа суна, паччахь!»</verse>
				<verse number="5">Паччахьо цуьнга хаьттира: «ХӀун сингаттам бу хьоьгахь?» ТӀаккха зудчо элира: «Со йисина Ӏаш ю, сан майра велла.</verse>
				<verse number="6">Хьан лай йолчу сан ши кӀант вара. Аренгахь волчу хенахь цу шиннан дов даьлла хилла. Цу шинна юккъе машар бан стаг а ца хилла, цхьаммо вукхунна тоха а тоьхна, царах цхьаъ вийна.</verse>
				<verse number="7">ХӀинца сан мел волу гергара стаг хьан ялхо йолчу суна дуьхьалваьлла. Цара соьга боху: „Схьало тхоьга шен ваша вийна волу хьайн кӀант. Цо ваша вер бахьана долуш, оха иза вуьйр ву, тӀаьхьенах диснарг кхочун дерг а хӀаллаквийр ву“. Цара шаьш бохург дахь, сан доьзалан хӀу довр ду, сан майрачун хӀокху дуьнен чохь цӀе а, тӀаьхье а юьсур яц».</verse>
				<verse number="8">ТӀаккха паччахьо элира: «ПаргӀат хьайн цӀа гӀо, хьан дуьхьа ас-айса гӀайгӀа бийр бу цу гӀуллакхан».</verse>
				<verse number="9">Амма ТакхоӀарчу зудчо элира: «Сан паччахь волу эла, и бехк суна а, сан доьзална а тӀехь бу, ткъа паччахь а, цуьнан пачхьалкх а цу хӀуманна бехке дац».</verse>
				<verse number="10">ТӀаккха паччахьо цу зудчуьнга элира: «Хьайна цхьаъ дуьхьалвалахь, со волчу схьавалаве иза. Цо кхин хьуна тӀе куьг хьор дац хьуна».</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха зудчо элира: «Сан паччахь, хьайн Везачу Делан цӀарах дош лохьа суна, чӀир лоьхучара, сан кӀант вен а вийна, цӀий Ӏанор сов доккхур дац алий». Дауда элира: «Дийна волчу Везачу Элах дуй боу ас, хьан кӀентан коьртара цхьа чо а галбер бац аьлла».</verse>
				<verse number="12">Зудчо юха а элира: «Хьан лай йолчуьнга кхин цхьа хӀума а алийтахьара ахьа хьайга». Паччахьо элира: «Йистхила».</verse>
				<verse number="13">Зудчо элира: «Делахь, хьо цу тайпана Делан халкъана дуьхьал хӀунда ваьлла? Ахьа аьллачу дешнаша хьо-хьуо бехке во, хӀунда аьлча ахьа хьайн араваьккхина лелаш волу кӀант цӀа ца верзаво.</verse>
				<verse number="14">Тхо лийр ду, лаьтта Ӏанийна долу, юха схьагуллур доцу хи санна а хуьлуш. Амма Далла ца лаьа са хӀаллакдан, мелхо а, Цо ойланаш йо, наха дӀатеттинарг Шена уллора кхин дӀа ца таттийта.</verse>
				<verse number="15">Цундела со хьо волчу и дешнаш хьоьга дӀаала еана, хӀунда аьлча со наха кхерийна. Аса сайн дагахь элира: „Паччахье йистхила еза со, аса аьлларг дан мега цо.</verse>
				<verse number="16">Схьахетарехь, паччахьо, ла а доьгӀна, Дала суна а, сан кӀантана а делла долу доьзалан латта хӀаллакдан гӀерташ волчун карара шен лай йолу со кӀелхьарйоккхур ю“.</verse>
				<verse number="17">ТӀаккха суна дагадеара: „Сан элан дош суна синхьаам беш хуьлийла, хӀунда аьлча сан паччахь волу эла Делан малик санна ву. Цо дикачунна а, вочунна а юкъахь башхо ян тарло. Ткъа хьан Веза Дела массо а хенахь хьоьца хуьлийла“, — аьлла».</verse>
				<verse number="18">Паччахьо цу зудчуьнга элира: «Аса хӀинца хьайга динчу хаттарна соьга, хӀумма а къайла а ца доккхуш, ма-дарра дуьйцуш, жоп лолахь». Зудчо элира: «Де хьайн хаттар, сан паччахь волу эла».</verse>
				<verse number="19">Паччахьо элира: «Йоаб бахьана долуш-м ца до ахьа соьга и къамел?» Зудчо, жоп луш, элира: «Дийна волчу хьох чӀагӀо йо ас, ахьа бохучунна я аьтту, я аьрру агӀор таӀа йиш яц. Хьан лай волчу Йоаба тӀедиллира суна, аса хьоьга мел аьлларг паччахье дӀаала аьлла.</verse>
				<verse number="20">Хьан лай волчу Йоабан Ӏалашо и хӀума вукху агӀор гайтархьама яра, амма сан олахо хьекъалалла долуш ву, Делан малик хьекъалалла долуш ма-хиллара, кху лаьттахь долу массо а хӀума хаархьама».</verse>
				<verse number="21">ТӀаккха паччахьо Йоабе элира: «ХӀинца ахь бохург дийр ду ас. Ваха а гӀой, жима стаг Абушалам цӀа верзаве».</verse>
				<verse number="22">Йоаба паччахьна хьалха корта лаьтта кхаччалц охьатаӀийра. Паччахь декъал а веш, цо элира: «ХӀинца хьан лай волчунна хаьа, хьо суна реза вуйла, хӀунда аьлча ахь хьайн лай волчо бохучуьнга ладуьйгӀи».</verse>
				<verse number="23">Цигара хьала а гӀаьттина, Гешура а вахана, Абушалам Ярушалайме схьавалийра цо.</verse>
				<verse number="24">Паччахьо элира: «Шен цӀа вола ала цуьнга. Амма сан юьхь цунна гур яц». Абушалам цӀа веара, амма шен дена тӀекхача йиш йолуш вацара иза.</verse>
				<verse number="25">Берриг а Исраилан махкахь вацара Абушаламал хаза а, цул наха дика цӀе йоккхуш а стаг. Кога буьххьера дуьйна коьрта тӀе кхаччалц цхьа а айпе хӀума дацара цунна тӀехь.</verse>
				<verse number="26">Цо хӀора шарахь цкъа шен корта дӀабошура, хӀунда аьлча цунна хала хуьлура шен коьртара месаш лелаян. Корта дӀабаьшначул тӀаьхьа месаш оьзча, уьш ши бӀе шекхал гергга хуьлура, паччахьан шекхалан барамехь.</verse>
				<verse number="27">Цуьнан кхо кӀант а, Тамара бохуш цӀе а йолуш, цхьа йоӀ а яра. Тамара чӀогӀа хаза зуда яра.</verse>
				<verse number="28">Шен дена дуьхьал ца воьдуш, Абушалама Ярушалаймехь ши шо даьккхира.</verse>
				<verse number="29">Абушалама Йоабана тӀе стаг вахийтира, иза шен дена тӀе хабар эцна вахийта. Амма вукхунна ца лиира Абушаламна тӀе ван. Цо шолгӀа а стаг вахийтира, Йоабана тӀе, амма важа юха а тӀе ца веара.</verse>
				<verse number="30">ТӀаккха Абушалама шен ялхошка элира: «Шуна ма-хаьа, сан кхена уллохь Ӏуьллуш Йоабан кха дуйла. Цигахь тӀеболуш цуьнан мукх бу. Даха а гӀой, цунах цӀе таса». Ялхоша мекхах цӀе тесира.</verse>
				<verse number="31">ТӀаккха Йоаба, Абушалам волчу а веана, цуьнга хаьттира: «Хьан ялхоша сан кха тӀехь цӀе хӀунда тесна?»</verse>
				<verse number="32">Абушалама, цунна жоп луш, элира: «Аса хьоьга кхайкха бахийтира, паччахье хаттар дайта: „Гешурара со схьа хӀунда валийна? Суна цигахь Ӏийнехь атта хир дара“. Паччахьан юьхь ган лаьа суна. Нагахь санна со бехке велахь, со, вей, дӀаваккхийта цуьнга».</verse>
				<verse number="33">Йоаба, паччахь волчу а вахана, шен Абушаламца хилла долу къамел цуьнга дӀадийцира. ТӀаккха Дауда Абушалам шена тӀе кхайкхира. Иза, паччахь волчу а веана, цунна лаьтта кхаччалц, корта тухуш, охьатаьӀира. Паччахьо цунна барт баьккхира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="15">
				<verse number="1">Цул тӀаьхьа Абушалама шена гӀудалкхаш а, говраш а, шена хьалха сиха лелаш волу шовзткъе итт стаг а нисвира.</verse>
				<verse number="2">Иза, Ӏуьйранна хьалххе хьала а гӀоттий, гӀалина чувогӀучохь лаьтташ долчу кевнна уллохь дӀахӀуттура. Шена уллохула паччахьна тӀе цхьа гӀуллакх эцна воьдуш волу стаг гича, иза тӀе а кхойкхий, Абушалама хоттура: «Хьо муьлхачу гӀалара ву?» Нагахь санна стага «Исраилан халкъана юкъарчу ишттачу тайпанара хьан лай ву» аьлча,</verse>
				<verse number="3">цо олура: «Ахьа деана гӀуллакх дика а, нийса а ду, амма паччахьан цӀарах хьоьга ладогӀа стаг вац».</verse>
				<verse number="4">Цо кхин а тӀетухура: «Со мехкан кхелахо харжахьара, хӀора стагана гӀо дан аьтто хир бара сан. Цхьа гӀуллакх дахьаш сайна тӀевеъначу муьлххачу а стеган гӀуллакх нийса къастор дара аса».</verse>
				<verse number="5">Нагахь санна шена корта тоха цхьаъ тӀевеача, куьйгаш хьалха дӀа а дохуьйтий, цо иза мара вуллура, цунна барт а боккхура.</verse>
				<verse number="6">Иза паччахь волчу веанчу массо а исраилхочунна, цу тайпана тӀекара а волий, дуьхьалволура. Абушалама дуккха а болчу нехан дегнаш шена тӀедерзийра.</verse>
				<verse number="7">Диъ шо даьлча, Абушалама паччахье элира: «Со Хьевроне вахийтахьара ахьа. Везачу Элана дина долу нигат кхочушдан воллура со.</verse>
				<verse number="8">Арам-махкахь йолчу Гешурахь со Ӏаш волчу хенахь аса нигат дира: „Нагахь санна со Везачу Эло Ярушалайме юхаверзавахь, аса Цунна Хьевронехь Ӏамал йийр ю“», — аьлла.</verse>
				<verse number="9">Паччахьо цуьнга элира: «Маьрша гӀойла хьо». Абушалам, хьала а гӀаьттина, Хьевроне дӀавахара.</verse>
				<verse number="10">Исраилан халкъан массо а тайпанашка цо шен хьадалчаш дӀасабахийтира. Цо царна тӀедиллинера: «Нагахь санна шайна цхьанхьа коьман маӀа локхуш хазахь, аша ала деза: „Абушалам Хьевронехь паччахь хилла дӀахӀоьттина!“»</verse>
				<verse number="11">Абушаламца ши бӀе стаг вахара Ярушалаймера. Цо цаьрга, шеца дуьйла аьлла, кхайкхинера, ткъа цу нахана, шеко йоцуш, кечдинчу гӀуллакхех хӀумма а ца хаьара.</verse>
				<verse number="12">СагӀа доккхучу хенахь Абушалама шена тӀе гилохо волу Ахьи-Тупал Гило-гӀалара кхайкхира, Даудан хьехамча волу. Абушалама къайлаха беш болу барт чӀагӀлуш бара, цунна гонах дукха нах схьагуллуш бара.</verse>
				<verse number="13">Дауд волчу веанчу хаамчас цуьнга элира: «Исраилхойн дегнаш Абушаламна тӀедирзина».</verse>
				<verse number="14">Шеца Ярушалаймехь волчу шен массо а ялхочуьнга Дауда элира: «ХьалагӀовтта, девдда дӀагӀур ду вай. Вай иза ца дахь, Абушаламах кӀелхьардовлалур дац вай. Сихлой, девдда дӀадахийталаш вай. Иза схьа а кхаьчна, цо вай схьалацахь, вайна дукха зенаш хир ду, цо гӀала а хӀаллакйийр ю, адамаш а дойур ду».</verse>
				<verse number="15">Паччахьан ялхоша элира: «Оха ахьа мел бохург дийр ду, тхо хьан леш ду».</verse>
				<verse number="16">Паччахь, ара а ваьлла, шен цӀахь мел волчу стагаца гӀаш дӀавахара. Цо шен цӀахь итт гӀарбаш-зуда йитира, цаьрга шен цӀа Ӏалашдайтархьама.</verse>
				<verse number="17">Паччахь а, цуьнан халкъ а, гӀаш ара а даьлла, тӀаьхьарчу цӀенна уллохь сецира.</verse>
				<verse number="18">Даудан мел болу ялхой, цунна уллохула тӀех а буьйлуш, дӀаоьхуш бара. Массо а кератхой а, палетхой а, цуьнца Гати-гӀалара схьавеана волу ялх бӀе гатихо а, паччахьал хьалха а ваьлла, дӀавоьдуш вара.</verse>
				<verse number="19">ТӀаккха гатихо волчу Ите паччахьо элира: «Хьо хӀунда вогӀуш ву тхоьца? Юха а верзий, цу керлачу паччахьца саца. Хьо тӀевеана стаг ву, хьайн махкара араваьлла волу.</verse>
				<verse number="20">Селхана схьавеана волу хьо, аса тахана тхайца, дӀа а вигна, хьийзор ву моьтту хьуна? Суна со кхана мичахь хир ву ца хаьа, цундела, хьайн вежарий схьа а эций, дӀагӀо. Веза Эла хьоьца баккъалла тешаме хуьлда».</verse>
				<verse number="21">ТӀаккха Итас Дауде элира: «Дийна волчу Везачу Элах а, сан эла волчу паччахьах а дуй боу аса, сан эла волу паччахь я дуьнен чохь, я эхартахь хилахь, иза воллучохь хир ву-кх цуьнан лай верг а».</verse>
				<verse number="22">ТӀаккха Дауда Итига элира: «Схьавало соьца». Гатихо Ита а, шен берриг нахаца а, берашца а Даудана тӀаьхьахӀоьттира.</verse>
				<verse number="23">Дерриг а латта мохь тоьхна доьлхуш дара. Дерриг а халкъ а, паччахь а Кхидрун олучу хин Ӏоврел дехьаделира. Уьш яьсса аре йолчу агӀор дӀабахара.</verse>
				<verse number="24">ЦӀадукъа а, цуьнца хилла болу левихой а Делан деза тӀорказ схьадахьаш богӀуш бара. ТӀорказ охьахӀоттийча, Абу-ЯтӀари, берда тӀе а ваьлла, цигахь лаьтташ вара, нах гӀалара арабовллалц.</verse>
				<verse number="25">Паччахьо ЦӀадукъига элира: «Делан тӀорказ гӀала юха дӀахьо. Нагахь санна Веза Эла суна реза велахь, Цо со цига юха а верзийтина, суна Шен тӀорказ а, и лаьтта меттиг а кхин а гойтур ю.</verse>
				<verse number="26">Нагахь санна Иза суна реза воцуш хилахь, Шена луъург дойла Цо суна».</verse>
				<verse number="27">Цул тӀаьхьа динан да волчу ЦӀадукъига паччахьо элира: «Хьо Делера дерг гуш верг ма ву! Маьрша гӀала юхаверза. Хьан кӀант АхьимаӀац а, Абу-ЯтӀарин кӀант ЯхӀунатан а шуьца ву.</verse>
				<verse number="28">Ткъа со кхузахь хин дехьарачу яьссачу аренгахь соцур ву, шуьгара сайна хаам хиллалц».</verse>
				<verse number="29">ЦӀадукъассий, Абу-ЯтӀариссий Делан тӀорказ Ярушалайме юхадерзийра. И шиъ цигахь сецира.</verse>
				<verse number="30">Велха а воьлхуш, Дауд зайт-диттан лам тӀе хьалаволуш вара. Цуьнан коьрта тӀе тиллина хӀума яра, ткъа когаш берзина бара. Цуьнца хилларш а, шайн коьрта хӀума а тиллина, боьлхуш дӀаоьхуш бара.</verse>
				<verse number="31">Дауде хабар кхечира: «Ахьи-Тупал а ву Абушаламца къайлаха барт бинчаьрца». ТӀаккха Дауда элира: «Веза Эла! Ахьи-Тупала царна бина болу хьехам сонталле берзабелахь!»</verse>
				<verse number="32">Дауд Далла Ӏибадат дечу метте, лома буьххье, хьалаваьлча, цунна гира шена дуьхьалвогӀу Ӏаьркхихо волу шен доттагӀа Хьушай. Цунна тӀера бедарш этӀийна яра, коьрта тӀе тесна чан а яра.</verse>
				<verse number="33">Дауда цуьнга элира: «Хьо соьца вагӀахь, суна хьо новкъахир ву.</verse>
				<verse number="34">Амма хьо Ярушалайме юхаверзахь, хьоьга Ахьи-Тупала царна беш болу хьехам бохалур бу. Абушаламе ала: „Паччахь, со — хьан лай ву. Хьалха со хьан ден лай вара, ткъа хӀинца чул тӀаьхьа хьан лай хир ву“.</verse>
				<verse number="35">Хьоьца цхьаьна динан дай болу ЦӀадукъа а, Абу-ЯтӀари а хир ву. Хьайна паччахьан цӀа чохь мел хезнарг цаьрга дӀадийца.</verse>
				<verse number="36">ЦӀадукъин кӀант АхьимаӀац а, Абу-ЯтӀарин кӀант ЯхӀунатан а цигахь хир ву. Хьайна хезнарг дахьаш уьш со волчу бахкийта».</verse>
				<verse number="37">Даудан къастийна хьехамча волу Хьушай Ярушалайме юхавирзира, Абушалам а цигга чувогӀуш вара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="16">
				<verse number="1">Дауд ломан буьххьера жимма охьаваьлча, цунна дуьхьалкхийтира Мапи-Бошатан ялхо волу Цуба. Цо ялош яра мохь тӀебиллина йолу ши вир. Царна тӀе диллина ши бӀе бепиг а, цхьа бӀе курс кишмаш а, цхьа бӀе стом а, чагӀар чохь долу пӀаьлдиг а бара.</verse>
				<verse number="2">Паччахьо Цубига хаттар дира: «Стенна оьшу хьуна и мохь?» Цубас жоп делира: «Варраш паччахьан цӀенна оьшур ю аьлла ялийна, царна тӀехь дӀасавахархьама. Бепиггий, стоьмашший тӀемалошна даа деана. Ткъа чагӀар яьссачу аренгахь болчу гӀора дӀадаьллачарна мала деана».</verse>
				<verse number="3">Паччахьо элира: «Хьан элан кӀентан кӀант мичахь ву?» Цубас Даудана жоп делира: «Иза Ярушалаймехь сецна. Цо боху: „ХӀинца исраилхоша суна сан ден паччахьалла схьалур ду“».</verse>
				<verse number="4">ТӀаккха Дауда Цубига элира: «Мапи-Бошатан мел хилла долу хӀума аса хьуна дӀало». Цубас элира: «Аса хьуна хьалха корта охьатаӀабо, ва сан эла волу паччахь, хьо суна реза хуьлийла!»</verse>
				<verse number="5">Дауд Бахьруме дӀакхаьчча, цигара Шаулан цӀийнах волу цхьа стаг аравелира. Цуьнан цӀе ШамаӀи яра. Иза Герин кӀант вара. ШамаӀи, неӀалташ а кхайкхош,</verse>
				<verse number="6">Даудана а, цуьнан ялхошна а тӀулгаш кхуьссуш вогӀуш вара. Делахь а, массо а эскархой а, майра нах а паччахьна аьтту а, аьрру а агӀор дӀахӀиттина бара.</verse>
				<verse number="7">НеӀалташ а кхайкхош, ШамаӀис бохура: «ДӀавала, дӀагӀо, сий доцуш волу нах бойург! Зуламхо!</verse>
				<verse number="8">Везачу Эло бекхам бо хьуна, ахьа Шаулан тӀаьхьенан цӀий Ӏанор бахьана долуш а, цул тӀаьхьа хьо цуьнан метта охьахаар бахьана долуш а. Везачу Эло паччахьалла дӀаделла хьан кӀант волчу Абушаламан кара. Ткъа хӀинца хьо баланехь ву, хьо цӀий Ӏанош верг хилар бахьана долуш».</verse>
				<verse number="9">Царуятан кӀанта Абушайс паччахье элира: «Оцу деллачу жӀаьло сардамаш хӀунда духку сан эла волчу паччахьна? Аса, ваха а вахана, цуьнан корта схьабоккхур бу».</verse>
				<verse number="10">Амма паччахьо элира: «ХӀун дийр ду аса шуна, Царуятан кӀентий? Вита иза. Везачу Эло цуьнга со сийсазваккха аьлла хилча, цуьнга: „Ахьа иза хӀунда леладо?“ — ала мила ву?»</verse>
				<verse number="11">Дауда Абушайга а, шен массо а ялхошка а элира: «Сох схьаваьлла волу сан кӀант а со вен араваьлла хилча, хӀокху бен-яманхочун хӀун бехк бу? Ӏадвита иза, дохкийта цуьнга сардамаш, хӀунда аьлча Везачу Эло цуьнга иштта аьлла.</verse>
				<verse number="12">Тахана сан бала Везачу Элана дӀагича, таханлерчу сардамийн метта Цо суна декъалдар юхадала а мега».</verse>
				<verse number="13">Дауд а, цуьнца хилларш а шайн новкъахула дӀабоьлхуш бара, ткъа ШамаӀи Даудана тӀаьхьаваьллачуьра дӀа ца волура. Ламанан басехула схьавогӀуш вара иза, Дауд волчу агӀор тӀулгаш а, чан а кхуьйсуш.</verse>
				<verse number="14">Шаьш кхача безачу метте схьа а кхаьчча, паччахьо а, цуьнца хиллачара а, чӀогӀа кӀадбелла хиларна, цигахь садаьӀира.</verse>
				<verse number="15">Ткъа Абушалам, шеца дерриг а Исраилан халкъ а долуш, Ярушалайме схьавеара. Цуьнца цхьаьна Ахьи-Тупал а вара.</verse>
				<verse number="16">Даудан доттагӀа волчу Ӏаьркхихочо Хьушайс, Абушалам волчу а веана, цуьнга элира: «Дукха вехийла паччахь!»</verse>
				<verse number="17">ТӀаккха Абушалама цуьнга хаьттира: «Иштта тешаме ву-кх хьо хьайн доттагӀчунна? Цуьнца дӀа хӀунда ца вахара хьо?»</verse>
				<verse number="18">«ХӀан-хӀа, — элира Хьушайс Абушаламе — Со Везачу Эло а, хӀокху халкъо а, массо а исраилхоша а хаьржинчуьнца хир ву. Со цуьнца соцур ву.</verse>
				<verse number="19">Цу тӀе, хьанна гӀуллакх деш хир ву со? Цуьнан кӀантана хир вац? Со хьан ден гӀуллакххо ма-хиллара, иштта хьуна а гӀуллакххо хир ву».</verse>
				<verse number="20">Абушалама Ахьи-Тупале элира: «Хьехам бехьа, вай хӀун дан деза?»</verse>
				<verse number="21">Ахьи-Тупала Абушаламе элира: «Хьан дас кхузахь шен цӀа Ӏалашдан битинчу цуьнан гӀарбаш-зударшца дӀавижа. ТӀаккха массо а исраилхошна дӀахезар ду, хьо хьайн дена бӀаьргахь доллу дитт санна хета аьлла. Хьуна тӀаьхьа бевлларш хьоьца кхин а чӀогӀа тешаме болуш дӀахӀуьттур бу».</verse>
				<verse number="22">Шерачу тхов тӀехь Абушаламна четар хӀоттийра. Ткъа иза массо а Исраилан халкъана хьалха, четар чу а вахана, шен ден гӀарбаш-зударех кхийтира.</verse>
				<verse number="23">Цу хенахь Ахьи-Тупала беш болу хьехамаш Делера болу хьехамаш санна лорура. Уьш Дауда а, Абушалама а чӀогӀа ладогӀа дезаш болу хьехамаш бара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="17">
				<verse number="1">Ахьи-Тупала Абушаламе элира: «Шийтта эзар стаг схьа а хаьржина, хьала а гӀаьттина, со кху буьйсанна Даудана тӀаьхьавер ву.</verse>
				<verse number="2">Иза гӀел а велла, цуьнан гӀора дӀадаьллачул тӀаьхьа, со цунна тӀелетар ву. Аса иза кхерор ву, ткъа цуьнца берш бевдда дӀагӀур бу. Аса паччахь бен вуьйр вац.</verse>
				<verse number="3">Аса массо а адам хьуна тӀедерзор ду. Ахьа лоьхуш долу и цхьа са делла дӀадалар бахьана долуш, дерриг а халкъ шайна юкъахь машар а болуш Ӏийр ду».</verse>
				<verse number="4">Абушаламна а, Исраилан массо а къаношна а и дешнаш чӀогӀа дезаделира.</verse>
				<verse number="5">Абушалама элира: «Ӏаьркхихо волчу Хьушайга схьакхайкха. Цо хӀун олу хьовсур ду вай».</verse>
				<verse number="6">Хьушай Абушалам волчу веара. Абушалама цуьнга элира: «Ахьи-Тупала дина долу хьехар иштта ду. Цо аьлларг дан дезий вай? Нагахь санна хьо реза вацахь, хьайна хетарг ала».</verse>
				<verse number="7">Хьушайс Абушаламе элира: «Ахьи-Тупала хӀинца дина долу хьехар дика дац.</verse>
				<verse number="8">Хьуна хьайн да а вевза, цуьнан нах а бевза. Уьш майра а бу, шен кӀорнех яьккхина йолу нана-ча санна, дера а бу. Хьан да майра стаг ву. Иза шеца болчу нахаца буьйса йоккхуш Ӏийр вац.</verse>
				<verse number="9">Иза хӀинца, цхьана хьеха чохь я кхечу меттехь къайлаваьлла Ӏаш хир ву. Нагахь санна хьан да хьоьца болчарна хьалха тӀелатахь, и хӀума хезна болчу нахана дагадогӀур ду: „Абушаламна тӀаьхьахӀиттинарш эшийна!“ — аьлла.</verse>
				<verse number="10">ТӀаккха, лом санна, майра берш а дог эшна дӀахӀуьттур бу, хӀунда аьлча дерриг а Исраилан халкъана хууш ду, хьан да чӀогӀа майра тӀемало вуйла а, цуьнца берш доьналла долуш буйла а.</verse>
				<verse number="11">Цундела аса хьехар до хьуна: дерриг а Исраилан халкъ Дан-гӀалара дуьйна Беар-ШабаӀе кхаччалц хьо волчу схьагулдалийта. Адам, хӀордан йистера гӀум санна, дукха хир ду. ТӀаккха ахьа, хьо хьалха а ваьлла, уьш тӀамтӀе бига беза.</verse>
				<verse number="12">Цул тӀаьхьа вай Даудана тӀелетар ду, иза миччахь велахь а. Вай цунна тӀелетар ду, Ӏуьйранлера тхи лаьтта тӀе ма-дожжара. Я иза а, я цуьнца волу цхьа а стаг а вуьсур вац дийна.</verse>
				<verse number="13">Нагахь санна иза цхьана гӀала дӀаводахь, массо а исраилхоша и гӀала йолчу метте машшаш схьадахьар ду. Вай оцу гӀалин пенаш тогӀи чу такхор ду, тӀаккха цу гӀалех цхьа а тӀулг буьсур бац».</verse>
				<verse number="14">Абушалама а, массо а исраилхоша а элира: «Ӏаьркхихо волчу Хьушайн хьехам диках бу Ахьи-Тупалан хьехамал». Цара иштта элира, хӀунда аьлча Везачу Эло сацам бинера Ахьи-Тупалан дика хьехар дохо, Абушаламна тӀе бохам баийтархьама.</verse>
				<verse number="15">Динан дай болчу ЦӀадукъе а, Абу-ЯтӀарига а Хьушайс элира: «Иштта хьехар дира Ахьи-Тупала Абушаламна а, Исраилан къаношна а, ткъа аса царна кхин тайпа хьехар дира.</verse>
				<verse number="16">Ткъа хӀинца, Дауд волчу нах а бахийтий, цуьнга алийта: „Тховса яьссачу аренгахь йолчу хил дехьа волийла йолчохь а ца Ӏаш, цу хил дехьа а валий, цигара дӀавала, хӀунда аьлча паччахь а, цуьнца болу нах а тховса хӀаллакбаран кхерам бу“».</verse>
				<verse number="17">Динан ден кӀентий ЯхӀуната а, АхьимаӀац а Ӏейн-РегӀал цӀе йолчу хьоста йистехь лаьтташ вара. ГӀалина чуволийла дацара цу шиннан, иза царна кхераме хиларна, цундела зуда-ялхочо, яха а яхана, цаьрга и шадерг а дӀадийцира, ткъа цу шиммо Дауде хаам бира.</verse>
				<verse number="18">Амма и шиъ гина волчу, цхьана кхиъна вогӀучу кӀанта Абушаламе хаам бира. Цигара сихха дӀа а вахана, и шиъ Бахьрумехь вехаш волу цхьа стаг волчу веара. Цу стеган кертахь яьккхина гӀу яра. И шиъ цу чу воьссира.</verse>
				<verse number="19">Цу кертарчу зудчо, шаршу схьа а эцна, и цу гӀуна тӀе тесира, ткъа шаршуна тӀе ялтин буьртигаш тийсира, цхьа а шек ца валийта.</verse>
				<verse number="20">Абушаламан тӀемалоша, цу зудчун цӀа а баьхкина, цуьнга хаьттира: «Мичахь ву ЯхӀунатий, АхьимаӀацций?» Зудчо цаьрга элира: «Уьш, хил дехьа а бевлла, дӀабахара». Лехначул тӀаьхьа, уьш шайна кара ца бича, ялхой Ярушалайме дӀабахара.</verse>
				<verse number="21">Уьш дӀабаханчул тӀаьхьа ЯхӀунатий, АхьимаӀацций, гӀуна чуьра ара а ваьлла, Дауде хаам бан вахара. Цара Дауде элира: «Сихха хил дехьа а довлий, дӀагӀо. Ахьи-Тупала хьуна дуьхьал иштта хьехар дина».</verse>
				<verse number="22">Дауд а, цуьнца хилла болу нах а Йордан-хил дехьабевлира. Сахуьллучу хенахь хил дехьа валаза цхьа а стаг ца висира.</verse>
				<verse number="23">Ахьи-Тупална хиира, ша дина долу хьехар кхочуш ца динийла. Шен вирана тӀе нуьйр а тиллина, иза ша Ӏийначу гӀала дӀавахара. Шен тӀаьхьенна весет а дитина, Ахьи-Тупал ирхъоллавелира, цул тӀаьхьа иза шен ден коша чу дӀавоьллира.</verse>
				<verse number="24">Дауд Махьанайме схьавеара, ткъа Абушалам, массо а исраилхо шеца цхьаьна а волуш, Йордан-хил дехьавелира.</verse>
				<verse number="25">Абушалама шен эскаран коьрте Йоабан метта Ӏамасаъ дӀахӀоттийнера. Ӏамасаъ Исраилара ИтӀар цӀе йолчу цхьана стеган кӀант вара. ИтӀаран нана АбигӀал яра. Иза Нахьашан йоӀ а, Царуятан йиша а яра. Ткъа Царуят Йоабан нана яра.</verse>
				<verse number="26">Абушалама, шеца дерриг а Исраилан халкъ цхьаьна а долуш, галӀадхойн лаьтта тӀехь шен меттамотт дӀахӀоттийра.</verse>
				<verse number="27">Дауд Махьанайме схьакхаьчча, Ӏамминхойн Рабба-гӀалара волчу вахархочун Нахьашан кӀанта Шобас а, Ладебарара вахархочун Ӏамиалан кӀанта Макира а, РогӀлаймарчу галӀадхочо Барзалайс а</verse>
				<verse number="28">цхьаболу мотт-гӀайба а беара, цхьадолу боганаш а деара, иштта кхийра пхьегӀаш а еара. Цара иштта кӀа а, мукх а, дама а, кхерзинчу ялтин буьртигаш а, кхоьш а, хьозийн кхоьш а,</verse>
				<verse number="29">моз а, даьтта а, уьстагӀий а, аттера яьккхинчу шуьрех йина йолу кӀалд а еара Даудана а, цуьнца хиллачарна а яа. Цара бохура: «Адам яьссачу аренгахь гӀел а делла, мац а делла, хьаг а делла».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="18">
				<verse number="1">Дауд шен эскаре хьожуш чекхвелира. Цо шен эскарна тӀехь цхьа бӀе а, цхьа эзар а стаг карахь волуш хьаькамаш дӀахӀиттийра.</verse>
				<verse number="2">Шен эскар Дауда кхаа декъе дийкъира. Цхьа тоба, Йоаб коьртехь а волуш, дӀахьажийра цо. ШолгӀа тоба — Йоабан ваша волчу Царуятан кӀант Абушай коьртехь волуш. Ткъа кхоалгӀа тоба гатихо волчу Итица дӀаяхийтира. Паччахьо гулбеллачаьрга элира: «Со а вогӀур ву шуьца».</verse>
				<verse number="3">Амма наха цуьнга элира: «Хьо тхоьца ма вола. Тхо дӀадовдуш хилахь а, цхьаммо а тидам бийр бац тхан. Тхох нийсса ах хӀаллакьхилахь а, иштта тидаме оьцур дац. Ткъа хьо цхьаъ — итт эзар стеган метта ву. Цундела, хьо гӀалахь а сецна, цигара тхо долчу ахьа гӀо даийтича гӀолехь ду».</verse>
				<verse number="4">Паччахьо цаьрга элира: «Аша боххург дийр ду аса». Иза ков долчохь дӀахӀоьттира. Адам гӀалара бӀе а, эзар а стаг юкъахь йолчу тобанашца арадолуш дара.</verse>
				<verse number="5">Паччахьо Йоабигий, Абушайгий, Итигий омра дира: «Жима стаг волу Абушалам кхоаве суна!» — аьлла. Массарна а дӀахезира паччахьо Абушаламах лаьцна шен эскаран хьаькамашка аьлларг.</verse>
				<verse number="6">Даудан эскар аренгахь Исраилан эскарна дуьхьалделира. Уьш Эпрайман хьуьнхахь вовшахлетира.</verse>
				<verse number="7">Даудан эскаро исраилхой эшийра. Боккха толам баьккхира цара цу дийнахь: ткъа эзар стаг вара вийна Ӏуьллуш.</verse>
				<verse number="8">Гонах, массо а меттехула, дӀабаьржира тӀом. Адам хьун бахьана долуш дукха хӀаллакьхилира, тур бахьана долчул.</verse>
				<verse number="9">Шена дагахь а доцуш, Абушалам Даудан тӀемалошна дуьхьалкхийтира. Иза шен вирбӀарзанна тӀехь дӀавоьдуш вара. ВирбӀарза доккхачу ножан диттан генашна кӀелхула дӀайоьдучу хенахь, Абушаламан месаш гаьннех дӀатасаелира. Иза лаьттаний, стигалний юккъехь кхозуш висира, ткъа цуьнгахь хилла йолу вирбӀарза едда дӀаяхара.</verse>
				<verse number="10">И сурт гина волчу цхьана тӀемалочо Йоабе хаам бира: «Абушалам ножан дитта тӀехь кхозуш ву» — аьлла.</verse>
				<verse number="11">Йоаба шега и хаам бина волчу стаге элира: «Хьайна иза гина хилча, иза, тоьхна, лаьтта охьа хӀунда ца виллира ахьа? Аса итт шекхал детий, доьхкий лур ма дара хьуна».</verse>
				<verse number="12">Цо Йоабе жоп делира: «Сайна кара цхьа эзар шекхал дети схьаделча а, аса паччахьан кӀантана тӀе куьг хьур дацара, хӀунда аьлча тхуна массарна а хезира хьоьгий, Абушайгий, Итигий паччахьо аьлларг: „Жима стаг Абушалам кхоаве суна!“</verse>
				<verse number="13">Нагахь санна аса, ахьа бохург а дина, Абушалам вийна хиллехь, иза паччахьна ца хууш дуьсур дацара. ТӀаккха хьо, суна генна а ваьлла, дӀахӀуттур вара».</verse>
				<verse number="14">Йоаба элира: «Сан йиш яц хьоьца хан яйа!» Кхо жима гоьмукъ схьа а эцна, цо уьш ножан дитта тӀехь валаза кхозуш волчу Абушаламан дагах чекхдехира.</verse>
				<verse number="15">Йоабан герз лелош волчу итт къона тӀемалочо Абушаламна го бира. Цара иза вийна дӀаваьккхира.</verse>
				<verse number="16">Йоаба коьман маӀа лекхира. Цуьнан эскар исраилхошна тӀаьхьадаьллачуьра юхадирзира. Уьш Йоаба кхоийра.</verse>
				<verse number="17">Цара Абушаламан дакъа, дитт тӀера схьа а даьккхина, хьуьнхарчу доккхачу ор чу а кхоьссина, тӀе тӀулгаш кхиссира. Цу хенахь массо а исраилхо ведда, шен-шен цӀа чу а вахана, дӀасаваьллера.</verse>
				<verse number="18">Ша дийна волчу хенахь паччахьан тогӀи чохь Абушалама ша-шена хӀоллам хӀоттийнера. ХӀеттахь цо аьлла хилла: «ЦӀе йиц ца яйта цхьа а кӀант вац сан». Цу хӀолламна цо шен цӀе тиллина хилла. Тахана а, «Абушаламан хӀоллам» аьлла, цӀе йоккху цуьнан.</verse>
				<verse number="19">ЦӀадукъин кӀанта АхьимаӀаца Йоабе элира: «Аса ведда хаам бийр бу паччахье, Везачу Эло, Шен кхел а йина, иза мостагӀех кӀелхьарваьккхина аьлла».</verse>
				<verse number="20">Амма Йоаба цуьнга элира: «Тахана Даудана дика кхаъ бахьаш веанарг хир вац хьо. Муьлххачу а кхечу дийнахь гӀур ву хьо цига, тахана а ца воьдуш, хӀунда аьлча велларг цуьнан кӀант ву».</verse>
				<verse number="21">Цул тӀаьхьа Йоаба цхьана хушахочуьнга элира: «Ваха а гӀой, паччахье хьайна гинарг ма-дарра дӀадийца». И хушахо, Йоабана хьалха корта охьа а таӀийна, сихха Дауд волчу вахара.</verse>
				<verse number="22">Амма ЦӀадукъин кӀанта АхьимаӀаца, ша аьллачунна тӀера ца волуш, юха а Йоабе элира: «ХӀуъа а хилахь, со а воьду хушахочуьнца». Йоаба цуьнга элира: «ХӀунда воьду хьо цуьнца, сан кӀант? Ахьа дӀабахьа кечбинарг дика кхаъ ма бац».</verse>
				<verse number="23">АхьимаӀаца элира: «Иза иштта делахь а, со воьду цига». ТӀаккха Йоаба элира: «Вада, гӀо». АхьимаӀац Йордан-тогӀи чохь болчу новкъахула ведда дӀавахара. Иза хушахочул хьалха дӀакхечира цига.</verse>
				<verse number="24">Дауд шина кевнна юккъехь Ӏаш вара. Кевнан тхов тӀе ваьллачу гӀаролхочун ша цхьаъ волуш ведда вогӀучу стагах бӀаьрг кхийтира.</verse>
				<verse number="25">Цо, мохь а тоьхна, паччахье хаам бира. Дауда элира: «Нагахь санна и стаг ша цхьаъ вогӀуш велахь, иза хаамча ву». Ткъа важа улло кхаьчна вогӀуш вара.</verse>
				<verse number="26">ГӀаролхочунна кхин а цхьа стаг гира, ведда вогӀуш. Цо ков лардархочуьнга мохь туьйхира: «Кхин а цхьа стаг ву ведда вогӀуш». Паччахьо элира: «Иза а хаамча ву».</verse>
				<verse number="27">ГӀаролхочо элира: «Суна хьалха вогӀуш волчун болар го. Иза ЦӀадукъин кӀентан АхьимаӀацан боларх тера ду». ТӀаккха паччахьо элира: «И стаг дика стаг ву. Иза дика кхаъ бахьаш вогӀуш ву».</verse>
				<verse number="28">АхьимаӀаца, мохь а тоьхна, паччахье элира: «Машар!» Цо, лаьтта кхаччалц паччахьна хьалха шен корта охьа а таӀийна, элира: «Декъала ву хьан Веза Дела. Цо сан эла волчу паччахьна дуьхьал куьг даьхьна болу мостагӀий хӀаллакбина».</verse>
				<verse number="29">Паччахьо хаьттира: «Дийна вуй къона Абушалам?» АхьимаӀаца элира: «Йоаба со кхуза воуьйтучу хенахь цигахь хилла болу нах чӀогӀа боьхна хьийзаш гира суна. Амма цигахь хилларг суна ца хаьа».</verse>
				<verse number="30">Паччахьо элира: «Юьстах а валий, кхузахь саца». Иза, дехьа а ваьлла, сецира.</verse>
				<verse number="31">Эццахь веана хушахо а схьакхечира. Цо элира: «Дика хаам бу сан эла волчу паччахье! Тахана Везачу Эло хьуна дуьхьалбевлла болу мостагӀий эшийна».</verse>
				<verse number="32">Паччахьо хушахочуьнга хаьттира: «Могуш-паргӀат вуй къона Абушалам?» Хушахочо элира: «Сан эла волчу паччахьан мостагӀашна а, цунна дуьхьал мел ваьллачунна а хуьлийла Абушаламна хилларг!»</verse>
				<verse number="33">Паччахь воьхна хьаьвзира. Кевнна тӀехула дина долчу цӀа чу а вахана, вилхира иза. Цу тӀе хьалаваьллачу хенахь цо бохура: «Сан кӀант Абушалам! Сан кӀант, сан кӀант Абушалам! Хьан метта со велла велара, сан кӀант Абушалам!»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="19">
				<verse number="1">Йоабе хабар кхечира: «Паччахь Абушалам бахьана долуш, воьлхуш, гӀайгӀане ву», — аьлла.</verse>
				<verse number="2">Цундела толам баьккхина долу де дерриг а эскарна гӀайгӀане де хилла дӀахӀоьттира, хӀунда аьлча массарна а хиира паччахь шен кӀант бахьана долуш гӀайгӀане вуйла.</verse>
				<verse number="3">Шаьш гӀали чу богӀучу хенахь, тӀемалой тебна богӀуш бара, тӀам тӀера, юьхьӀаьржачу а хӀиттина, бевдда богӀуш санна.</verse>
				<verse number="4">Ткъа паччахь, шен юьхь тӀе ши куьг а диллина, мохь бетташ тийжаш вара: «Сан кӀант Абушалам! Ва-а, сан кӀант Абушалам!» — бохуш.</verse>
				<verse number="5">Паччахь волчу цӀа а веана, Йоаба цуьнга элира: «Тахана бойучуьра хьо а, хьан кӀентий а, зудабераш а, хьан зударий а, гӀарбаш-зударий а кӀелхьарбаьхна волчу хьан массо а тӀемалочунна а эхь хетийти ахьа.</verse>
				<verse number="6">Хьо цавезарш беза хьуна, ткъа хьо везачаьрца цабезам кхоллало хьан. Цундела тахана массарна а гайти ахьа, хьан тӀеман хьаькамаш а, церан тӀемалой а хьайна хӀумма а ца хетийла. Тахана суна хиъна, тхо массо а хӀаллак а хилла, Абушалам дийна висина хиллехь, хьо цу балхана реза хирг хилар.</verse>
				<verse number="7">Ара а валий, вистхила хьайн тӀемалошка. Церан дог эца! Аса Везачу Элах чӀагӀо йо хьуна, хьо царна дуьхьал ца хӀоттахь, хӀара буьйса дӀаялале, хьуна уллохь цхьа стаг вуьсур ма вац аьлла. Иза хьо бер долчу дийнахь дуьйна хьуна гиначарел уггаре а боккха бохам хир ма бу хьуна».</verse>
				<verse number="8">Паччахь, хьала а гӀаьттина, кевнна хьалха охьахиира. Эскаре и хаам дӀакхаьчначул тӀаьхьа, дерриг а эскар шайн паччахь волчу схьагулделира. Ткъа исраилхой шайн-шайн цӀа дӀабевддера.</verse>
				<verse number="9">Массо а Исраилан тайпанашкахь халкъ вовшашца къийсалуш дара. Цара бохура: «Паччахьо вайн мостагӀий болчу пӀелаштамхойх кӀелхьардаьхна вай, ткъа хӀинца иза Абушаламах ведда, шен пачхьалкхера араваьлла.</verse>
				<verse number="10">Амма вай паччахь ван къобалвина волу Абушалам тӀамехь вийна. Ткъа хӀинца аша, паччахь юха ца верзош, хан хӀунда йолуьйту?»</verse>
				<verse number="11">Дауда динан дай болчу ЦӀадукъиний, Абу-ЯтӀариний тӀе стаг вахийтира хабар эцна: «ЯхӀудан къаношка дӀаала: „Паччахь юха валавеш болчарна юккъехь тӀаьххьара хила хӀунда лаьа шуна, массо а исраилхойн лаам паччахь вехаш волчу цӀен тӀе дӀакхаьчна хилча?</verse>
				<verse number="12">Шу сан вежарий ду, сан даьӀахкаш а, сан дилха а — шу ду. ХӀунда гӀерта шу паччахь юха цӀа валочу хенахь тӀаьххьарнаш хила?“</verse>
				<verse number="13">Ӏамасаига а дӀаала: „Хьо сан гергара вуй те? Дала, Шен лааме хьаьжжина, луьра таӀзар дойла суна, аса хьо, дерриг а эскарна тӀехь хьаькам а вина, сайна улло, Йоабан метта, гуттаренна а дӀа ца хӀоттавахь!“»</verse>
				<verse number="14">Цо берриг а яхӀудхойн дегнаш шегахьа дерзийра. Цара паччахь волчу хабар дахьийтира: «Юхаверза хьо а, хьан массо ялхой а», — аьлла.</verse>
				<verse number="15">Паччахь юхавирзира. Иза Йордан-хи долчу схьавеара. Массо а яхӀудхой Галгал-гӀала схьабаьхкира, паччахьна дуьхьал а бахана, иза Йордан-хил сехьаваккха.</verse>
				<verse number="16">Бахьрумара бен-яманхо волу Герин кӀант ШамаӀи а сихвелира яхӀудхошца цхьаьна Дауд-паччахьна дуьхьалваха.</verse>
				<verse number="17">Цуьнца цхьаьна вара цхьа эзар бен-яманхо а, иштта Шаулан цӀийнах волу ялхо Цуба а, шен пхийтта кӀант а, ткъа лай а. Паччахь схьакхачале, уьш Йордан-хи долчу схьабаьхкира.</verse>
				<verse number="18">Уьш хил дехьа буьйлура, паччахьан доьзал дехьабаккхархьама а, паччахьна мел лууш дерг дархьама а. Йордан-хил дехьа ваьллачул тӀаьхьа, Герин кӀант ШамаӀи паччахьна хьалха охьавуьйжира.</verse>
				<verse number="19">Цо Дауде элира: «Хьо Ярушалаймера араволучу хенахь соьгара даьллачунна гечдехьа суна, сан паччахь волу эла! И хӀума хьайн даг чохь ма латтадахьара ахьа.</verse>
				<verse number="20">Хьан лай волчунна хаьа, ша къа латийнийла. Цундела тахана Юсупан цӀийнах болчарна юкъара со уггар хьалха веана сайн паччахь волчу элана дуьхьал».</verse>
				<verse number="21">Царуятан кӀанта Абушайс элира: «Везачу Эло къобалвинчунна неӀалташ кхайкхийна волу ШамаӀи вуьйр вац ткъа?»</verse>
				<verse number="22">ТӀаккха Дауда элира: «ХӀун дан деза аса шуна, Царуятан кӀентий? Суна дуьхьалбевлла болу нах санна хилла шу хӀинца. Муха воккхур ву тахана, милла а иза велахь а, цуьнан дахарх? Тахана суна гуш ма ду, со Исраилан халкъан паччахь хилар».</verse>
				<verse number="23">Паччахьо ШамаӀига элира: «Хьо лийр вац!» Дауда цу тӀехь чӀагӀо йира.</verse>
				<verse number="24">Шаулан кӀентан кӀант Мапи-Бошат паччахьна дуьхьал аравелира. Мапи-Бошата шен когаш а ца буьлура, маж а ца йошура, тӀера хӀума а ца цӀанйора, паччахь, Ярушалаймера ара а ваьлла, иза машарца юхавирзина де тӀекхаччалц.</verse>
				<verse number="25">Мапи-Бошат, Ярушалаймера ара а ваьлла, шена дуьхьалвогӀуш гича, паччахьо цуьнга хаьттира: «Мапи-Бошат, хьо соьца хӀунда ца веара?»</verse>
				<verse number="26">Мапи-Бошата жоп делира: «Сан паччахь волу эла, сан ялхочо со левина. Аса цуьнга элира: „Сан вирана тӀе нуьйр тилла. Цунна тӀе а хиъна, паччахьца ваха воллу со“, хьан лай волу со астагӀа волу дела.</verse>
				<verse number="27">Ткъа хьан лай волчух лаьцна харцдерг дийцира цо сан паччахь волчу эле. Амма сан паччахь волу эла Делан малик санна ву. Хьайна нийса хеттарг де.</verse>
				<verse number="28">Хьайна лиънехь, ахьа сан ден доьзал хӀаллакбина хир бара, амма ахьа хьан лай волу со хьайца яа хӀума юуш болчаьрца охьахаийра. Сан бакъо яц паччахье цхьа а хӀума бахьана долуш гӀо доьхуш кхайкха».</verse>
				<verse number="29">Паччахьо цуьнга элира: «Ма дийца соьга иза кхин! Суна лаьа ахьий, Цубассий шаьшшинна юкъахь латта доькъийла».</verse>
				<verse number="30">Амма Мапи-Бошата паччахьна жоп делира: «Сан паччахь волу эла паргӀат цӀа вирзичхьана, дерриге а латта Цубас шена дӀаэцахьара».</verse>
				<verse number="31">ГалӀадхо волу Барзалай РогӀлаймара схьавеанера, паччахьца Йордан-хил дехьа а ваьлла, иза цигара новкъа ваккхархьама.</verse>
				<verse number="32">Барзалай чӀогӀа къена вара. Цуьнан дезткъа шо хан яра. Дауд Махьанаймехь волчу хенахь цо массо а хӀума латтадора цунна, ша вехаш стаг хиларе терра.</verse>
				<verse number="33">Паччахьо Барзалайга элира: «Вало соьца. Ярушалаймехь аса массо а хьуна оьшуш долу хӀума латтор ду».</verse>
				<verse number="34">Амма Барзалайс паччахье элира: «Сан паччахьца Ярушалайме ваха йиш яц, кӀезиг хан ю суна йиснарг.</verse>
				<verse number="35">Сан хӀинца дезткъа шо ду. Дахарехь кхин хӀумма а дац сан самукъадала? Хьан лай волчу соьга юучу хӀуманан чам къасталур буй? Хезар дуй ткъа суна эшарш локхуш болчеран аьзнаш? Со муха гӀертар ву сан паччахь волчу элана новкъа?</verse>
				<verse number="36">Со кхин а жимма сайн паччахьца цхьаьна Йорданал дехьа дӀавогӀур ву. Паччахьо суна хӀунда кхачийтина те оццул йоккха ял?</verse>
				<verse number="37">Хьан лай волчунна ша винчу гӀалахь, шен ден-ненан къуббан уллохь вала луур дара, цундела юхаверза пурба доьху аса. Сан кӀант волу хьан лай КӀамхӀам вогӀур ву сан элаца цо боххучу дӀа. Хьайна луъург де ахьа цуьнца».</verse>
				<verse number="38">ТӀаккха паччахьо элира: «КӀамхӀам соьца схьаваийта. Аса цуьнан дуьхьа хьуна луъург дийр ду. Хьан дуьхьа а дийр ду аса хьан даго боххург».</verse>
				<verse number="39">Дерриг а халкъ шайн паччахьца Йордан-хил дехьа делира. Барзалайна оба а яьккхина, цо иза декъалвира. Ткъа Барзалай шен цӀа юхавирзира.</verse>
				<verse number="40">Паччахь Галгал-гӀала дӀавахара. Цуьнца цхьаьна КӀамхӀам а вахара. ЯхӀудан массо а халкъ а, Исраилан халкъан ахдакъа а арадаьллера паччахьна тӀаьхьа.</verse>
				<verse number="41">Дукха хан ялале, исраилхоша, паччахь волчу а баьхкина, цуьнга элира: «Тхан вежарий болчу ЯхӀудан халкъан божарша, хьо лачкъа а вина, хьо а, хьоьца болу нах а Йордан-хил дехьа хӀунда баьхна?»</verse>
				<verse number="42">ЯхӀудан халкъан божарша исраилхошка жоп делира: «Оха иза дина паччахь тхан гергара стаг волу дела. И хӀума бахьана долуш шу тхуна оьгӀаза стенна оьху? Оха цхьа а хӀума диъний паччахьан? Я цуьнгара совгӀаташ схьаэцна?»</verse>
				<verse number="43">Исраилхоша, яхӀудхошна жоп луш, элира: «Тхан паччахьца йозуш йолу бакъо шун чул уьттазза дукха ю. Аша тхо юьхьӀаьржачу хӀиттийна. Паччахь юхаверзарх лаьцна долу дош хьалххе оха дийцина дацара ткъа?» Амма яхӀудхойн дош исраилхоша бохучу дешнел чӀогӀа дара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="20">
				<verse number="1">Дагахь а доцуш, цигахь цхьа Ӏеса стаг нисвелла хилла. Иза бен-яманхо волчу Бихрин кӀант ШебаӀ хилла. Цо, коьман маӀа а лекхна, элира: «Даудаца болчаьрца вайн нах бац, Юшайн кӀант волчохь вайн дакъа а дац. Ва Исраилан халкъ, вешан цӀа дӀасадовлий вай!»</verse>
				<verse number="2">Массо а исраилхо, Даудах дӀа а къаьстина, Бихрин кӀантана ШебаӀана тӀаьхьахӀоьттира. Ткъа Йорданна тӀера Ярушалайме кхаччалц яхӀудхой шайн паччахьна уллохь севцира.</verse>
				<verse number="3">Дауд Ярушалаймехь долчу шен цӀа веара. Цо, шен цӀа Ӏалашдеш йитина йолу итт гӀарбаш-зуда схьа а ялийна, цхьана цӀа чохь охьахаийра, цӀенна гӀарол а дойтуш. Дауда цу зударийн дола дойтура, амма ша царах кхин ца кхийтира. Цу зударша шаьш дуьнен чохь йоккхуш йолу хан бисина Ӏаш болчу зударша санна яьккхира.</verse>
				<verse number="4">Дауда Ӏамасаига элира: «Кхо де далале, схьакхайкха со волчу яхӀудхошка. Хьо а цигахь хила».</verse>
				<verse number="5">Ӏамасаъ яхӀудхошка кхайкха вахара, амма паччахьо шена билгалъяьккхина йолу хан тӀехъялийтира цо.</verse>
				<verse number="6">ТӀаккха Дауда Абушайга элира: «ХӀинца Бихрин кӀанта ШебаӀа Абушалама чул а чӀогӀа зен дийр ду. Сан тӀемалой схьа а эций, цунна тӀаьхьавала, чӀагӀйина йолу гӀаланаш а карийна, иза вайн бӀаьргашна хьалхара къайлавалале».</verse>
				<verse number="7">Йоабаца хилла болу нах а, кератхой а, палетхой а, кхиболу майра тӀемалой а Ярушалаймера арабевлира, Бихрин кӀант ШебаӀ схьалацархьама цунна тӀаьхьабаха.</verse>
				<verse number="8">Уьш ГавӀонна уллорачу боккхачу тӀулга тӀе кхаьчча, царна дуьхьал Ӏамасаъ кхийтира. Йоабана тӀехь тӀемалочун духар дара, гӀодаюккъехь батта чохь кхозуш тур а дара. И дуьхьалвогӀучу хенахь тур батта чуьра араделира.</verse>
				<verse number="9">Йоаба Ӏамасаига элира: «Хьо могуш вуй те, сан ваша?» Йоаба аьтту куьйгаца Ӏамасаан маж схьалецира, цунна оба яккха дагахь.</verse>
				<verse number="10">Ӏамасаа тидам ца бира Йоабан вукху куьйгахь доллучу туьран. Йоаба, Ӏамасаан гайх тур чекх а даьккхина, цуьнан чоко лаьтта арахийцира. Йоаба цунна кхин куьг тӀе ца даьхьира, хӀунда аьлча Ӏамасаъ велла Ӏуьллуш вара. Цул тӀаьхьа Йоаб а, цуьнан ваша Абушай а Бихрин кӀантана ШебаӀана юха а тӀаьхьавелира.</verse>
				<verse number="11">Йоабан цхьана бӀаьхочо, Ӏамасаан докъа тӀе а хӀоьттина, элира: «Йоабана тешаме а, Даудана тӀаьхьахӀоьттина а мел верг хӀинца Йоабана тӀаьхьахӀотта веза!»</verse>
				<verse number="12">Ткъа Ӏамасаан дакъа некъа юккъехь цӀийлахь Ӏуьллуш дара. ТӀаккха бӀаьхочо, тӀех мел волу стаг а, цу докъан уллохь соьцуш шена гича, Ӏамасаъ некъа тӀера аренга дӀа а такхийна, цунна тӀе цхьа бедар тесира.</verse>
				<verse number="13">Дакъа некъа тӀера дӀадаьккхинчул тӀаьхьа, дерриг а халкъ Йоабаца цхьаьна Бихрин кӀантана ШебаӀана тӀаьхьаделира.</verse>
				<verse number="14">Цул тӀаьхьа ШебаӀ массо а Исраилан тайпанашна юккъехула а, массо а берихойн лаьттахула а чекхвелира, ша Абал-Байт-МаӀака кхаччалц дӀавоьдуш. Цу гӀаланашкара бахархой, вовшах а кхетий, цунна тӀаьхьахӀуьттура.</verse>
				<verse number="15">Йоаба, шеца долчу эскарца схьа а веана, Абал-Байт-МаӀакана го бира. ГӀалина гонах боьттинчу тӀулгийн пена хьалха латта доьхкира цара, цу лаьттан баьрзнашна тӀехула гӀалин керта тӀе довла шайн аьтто хилийта. Йоабаца мел хилла волу стаг, гӀалин пена тӀе хӀума а етташ, иза бохо хӀоьттира.</verse>
				<verse number="16">Цу гӀалахь ехаш йолчу цхьана хьекъал долчу зудчо, пена тӀе а яьлла, мохь туьйхира: «ЛадогӀа! ЛадогӀа соьга! Йоабе кхуза схьавола ала! Суна цуьнца къамел дан лаьа».</verse>
				<verse number="17">Йоаб цо аьллачу метте схьавеара. Зудчо цуьнга хаьттира: «Хьо вуй Йоаб?» Цо жоп делира: «Ву». ТӀаккха зудчо элира: «Хьайн лай йолчуьнга ладогӀахьара ахьа». Йоаба элира: «Со ладугӀуш ву».</verse>
				<verse number="18">Зудчо элира: «Хьалха олуш хилла: „Шена цхьа хӀума хатта луучо Абал-гӀалахь хатта“. Иштта гӀуллакхан сацам беш хилла.</verse>
				<verse number="19">Тхо Исраилан халкъана юкъара машаре а, тешаме а болчу бахархойх ду. Ткъа хьо Исраилан махкахь нана санна йолу гӀала хӀаллакьян араваьлла ву. ХӀунда гӀерта хьо Везачу Элан тӀаьхье хӀаллакьян?»</verse>
				<verse number="20">Йоаба жоп делира: «Соьгара и хӀума дер дац шуна! Аса шун гӀала хӀаллак а йийр яц, я йохор а яц!</verse>
				<verse number="21">Иза иштта дац. Амма шун гӀала Эпрайм-лаьмнашкахь лаьттачу махкара Бихрин кӀант ШебаӀ кхаьчна. Цо шен паччахь волчу Даудана тӀе куьг даьхьна. Иза аша, схьа а лаций, соьга схьало. ТӀаккха со шун гӀалина го бинчуьра дӀавер ву шуна». Зудчо Йоабе элира: «Дика ду. Цуьнан корта гӀалин керта тӀера хьо волчу охьакхуссур бу».</verse>
				<verse number="22">Цул тӀаьхьа и зуда дерриг а халкъе йистхилира, царна шен хьекъале дешнаш дӀахазош. ГӀалин бахархоша, Бихрин кӀентан ШебаӀан корта схьа а баьккхина, Йоабана дӀакхоьссира. ТӀаккха Йоаба шен коьман маӀа лекхира. ГӀалина го бина болу эскархой шайн-шайн цӀенош чу дӀасабевлира. Йоаб шен паччахь волчу Ярушалайме юхавирзира.</verse>
				<verse number="23">Йоаб дерриг а Исраилан эскаран хьаькам вара. Ткъа ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу кератхошний, палетхошний тӀехь куьйгалла дан хӀоттийра.</verse>
				<verse number="24">Адунурам беза белхаш бойтучу нахана тӀехь куьйгалхо дӀахӀоттийра. Ахьлудан кӀант ЯхӀушапти пачхьалкхан гӀуллакхаш яздархо дӀахӀоттийра.</verse>
				<verse number="25">Шива йозанча вара. ЦӀадуккъий, Абу-ЯтӀаррий динан дай бара.</verse>
				<verse number="26">Иштта Дауд волчохь динан да вара яирхо волу Ӏира а.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="21">
				<verse number="1">Дауда паччахьалла дечу заманчохь махкахь тӀекӀел кхаа шарахь мацалла лаьттира. Дауда Везачу Эле шен доӀанна тӀехь дийхира. Везачу Эло цунна жоп делира: «Иза Шаул а, цуьнан къиза цӀа а бахьана долуш ду, цо гавӀонхой байина дела», — аьлла.</verse>
				<verse number="2">ТӀаккха паччахьо, гавӀонхой шена тӀе а кхайкхина, цаьрца къамел дира. (ГавӀонхой исраилхойх схьабевлла бацара, уьш эмархойх тӀаьхьадисинчу хӀух бара. Исраилхоша дуй биънера, царна зулам дийр дац шаьш аьлла, амма исраилхошна а, яхӀудхошна а тӀевирззина гӀайгӀа беш волу Шаул уьш хӀаллакбан гӀерташ хиллера.)</verse>
				<verse number="3">Дауда гавӀонхошка элира: «Аса шайн дуьхьа хӀун дича бакъахьара хета шуна? Шуна динчу харцдолчун метта хӀун дала деза, шуьга Везачу Элан халкъ декъалдайтархьама?»</verse>
				<verse number="4">ГавӀонхоша Дауде элира: «Шаулера а, цуьнан тӀаьхьенера а деши я дети ца оьшу тхуна. Исраилхошна юкъара, тхуна лиъча а, цхьа а вен бакъо яц тхан». Дауда хаьттира: «Аса хӀун дича бакъахь хетара шуна?»</verse>
				<verse number="5">Цара паччахьна жоп делира: «Тхо хӀаллакдан а, тхан къам дерриг а Исраилан лаьтта тӀера дӀадаккха а гӀертара Шаул.</verse>
				<verse number="6">Схьало тхан кара Шаулан тӀаьхьенах волу ворхӀ стаг. Оха уьш Везачу Элана хьалха Цо къобалвина волу Шаул схьаваьлла йолчу ГебаӀ-гӀалахь ирхъухкур бу». Паччахьо элира: «Аса уьш шуьга дӀалур бу».</verse>
				<verse number="7">Шаулан кӀентан ЯхӀунатин кӀант волчу Мапи-Бошатах къинхетам бира паччахьо, хӀунда аьлча Дауданий, ЯхӀунатиний юкъахь Везачу Элана хьалхахь йина чӀагӀо хилла.</verse>
				<verse number="8">Дауда цаьрга Армунний, Мапи-Бошаттий дӀавелира. Уьш бара Шаулна АяхӀун йоӀа Рицпата бина болу кӀентий. Цо иштта Шаулан йоӀа Мирабас вина волу пхи кӀант а дӀавелира. Уьш бара Шаулан йоӀа Махьуларчу Барзалайн кӀантана Ӏадриалана бина.</verse>
				<verse number="9">Цо уьш гавӀонхойн кара дӀабелира, ткъа цара уьш Везачу Элана хьалха гу тӀехь ирхъоьхкира. Уьш ворххӀе а цхьаьна велира. Ялта чудерзочу хьалхарчу деношкахь белла дӀабевлира уьш.</verse>
				<verse number="10">АяхӀун йоӀа Рицпата, Ӏаьржа шаршу схьа а эцна, иза тӀулга тӀе дӀаяржийра. Ялта чуоьцучу хенахь дуьйна, чӀогӀа догӀанаш декъашна тӀе доладаллалц, дийнахь а, буса а цигахь Ӏийра иза. Цо я стигалахь лелаш долу олхазарш а, я лаьттахь лелаш йолу акхарой а церан декъашна тӀе ца кховдуьйтура.</verse>
				<verse number="11">Шаулан гӀарбаш-зуда хилла йолчу АяхӀун йоӀа Рицпата динарг Дауде дӀадийцича,</verse>
				<verse number="12">Дауда, ваха а вахана, ГалӀадан Явешера бахархошкара Шаулан а, цуьнан кӀентан ЯхӀунатин а даьӀахкаш схьаийцира. (Цара уьш Байт-Шанарчу майданара къайлаха схьаэцна хилла, Шаул а, цуьнан кӀант ЯхӀуната а, пӀелаштамхоша ГилбаӀахь вен а вийна, ирхъоьхкинчуьра.)</verse>
				<verse number="13">Цигара Шаулан а, цуьнан кӀентан ЯхӀунатин а даьӀахкаш, схьа а гулйина, схьаяийтира Дауда. Иштта ирхъоьллина хиллачу ворххӀе а стеган даьӀахкаш а схьагулъяйтира цо.</verse>
				<verse number="14">Шаулан а, цуьнан кӀентан ЯхӀунатин а даьӀахкаш дӀайоьхкира бен-яманхойн лаьтта тӀехь йолчу ЦелаӀ-гӀаларчу Шаулан ден Къушин къуббан чохь. Паччахьо тӀе мел диллинарг деш дӀахӀоьттира халкъ. Цул тӀаьхьа наха махкана тӀера динчу доӀанаша Делан дог дашийра.</verse>
				<verse number="15">ПӀелаштамхошний, исраилхошний юкъахь юха а тӀом дӀаболабелира. Дауд, шен эскархошца ара а ваьлла, тӀом бан волавелира, амма иза сихха кӀадвелира.</verse>
				<verse number="16">Турпалш болчу репахойн гаранах волчу Ишби-Банубан гоьмукъ хилла, цӀестан йолу юьхьиг кхо бӀе шекхалал еза а йолуш. Цуьнан керла тур а хилла. Ишби-Бануб Дауд вен гӀерташ хилла.</verse>
				<verse number="17">Амма Царуятан кӀанта Абушайс кӀелхьарваьккхира Дауд. Цо пӀелаштамхо, тоьхна, вийра. Даудаца хиллачу наха чӀагӀо йира. Цара элира: «Кхин цкъа а тхоьца тӀаме аравер вац хьо, Исраилан махкахь богуш болу чиркх дӀа ца байтархьама».</verse>
				<verse number="18">Гоба-гӀалахь кхин а тӀом хилира пӀелаштамхошца. Цигахь хьушатхо волчу Субахис турпалш болчу репахойн гаранах волу Сапа вийра.</verse>
				<verse number="19">Кхин а цхьа тӀом хилира пӀелаштамхошца Гобахь. Цигахь Байтлахамарчу ЯӀар-Орагайман кӀанта Элхьанана гатихо волу ГӀолиат вийра. Гатихочун гоьмукъа тӀера гӀаж кӀадидархочо болх бечу хенахь лелош йолу еха гӀаж санна яра.</verse>
				<verse number="20">Гати-гӀалахь кхин а хилира тӀом. Цигахь цхьа инзаре лекха стаг вара. Цуьнан куьйгийн а, когийн а ялх-ялх пӀелг бара. Уьш берриш а ткъе биъ пӀелг бара. И стаг а турпалш болчу репахойх схьаваьлла вара.</verse>
				<verse number="21">Иза, исраилхойх лаьцна вон бага етташ, луьйш вара. И репахо Даудан вешин ШамаӀин кӀанта ЯхӀунатас вийра.</verse>
				<verse number="22">И виъ стаг Гати-гӀаларчу турпалхойн гаранах вара. Уьш Даудан а, цуьнан эскархойн а карах белира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="22">
				<verse number="1">ХӀара назма Дауда Везачу Элана олура, Цо ша массо а мостагӀийн а, Шаулан карара а кӀелхьарваьккхинчу дийнахь.</verse>
				<verse number="2">Цо элира: «Веза Эла — сан тарх, сан чӀагӀо, со КӀелхьарваккхархо ву.</verse>
				<verse number="3">Иза сан Дела а, сан Тарх а ю, Цуьнга ас со ларвойту. Иза сан турс а, сан кӀелхьарваларан ницкъ а бу, Иза сан КӀелхьарваккхархо ву, луьрачу мостагӀех со кӀелхьарваьккхи Цо!</verse>
				<verse number="4">Шена хастам бан хьакъ долуш волчу Везачу Эле Аса ма кхойкху, Цо со сан мостагӀех кӀелхьарвоккху.</verse>
				<verse number="5">Ӏожаллин тулгӀенаш яра суна гонах хьийзаш. Дохаран Ӏовраша со вара дурс дӀахьош.</verse>
				<verse number="6">Эхартан зӀенаш хьаьрчинера сох, Ӏожаллин бой яра суна хьалха.</verse>
				<verse number="7">Сайна бохам баьллачу дийнахь Везачу Эле орца даьккхира аса. Сайн Деле гӀо доьхуш кхайкхира со. Шен цӀа чохь Цунна сан аз дӀахезира. Сан мохь Цуьнан лере кхечира.</verse>
				<verse number="8">Латта дега а дира, ласта а лестира. стигалийн баххаш меттах а девлира, дега а дира, Дела оьгӀазвахана дела.</verse>
				<verse number="9">Цуьнан мерӀуьргаш чуьра кӀур арабийла болабелира, доллу хӀума дӀакхоллуш йолу цӀе Цуьнан багара а елира. догуш долу кӀегий охьаэгара цу чуьра.</verse>
				<verse number="10">Стигалш дӀаса а теттина, Иза охьавоьссира, Цуьнан когаш бухахь Ӏаьржа мархаш яра.</verse>
				<verse number="11">Каруб-маликашна тӀе а хиъна, тӀемавелира Иза, механ тӀемаш тӀехь охьавоьссира Иза.</verse>
				<verse number="12">Цо бода, Шена гонах долу четар санна, бира, хӀаваэрачу Ӏаьржачу мархех къайлаволу меттиг Шена йира.</verse>
				<verse number="13">Цунна хьалхара дукха къегаш хиларна, догуш, кӀегий серладуьйлира.</verse>
				<verse number="14">Стигалара, иза къекъаш, Везачу Эло гӀовгӀа яьккхира! Веза Воккхачо Шен аз хазийтира.</verse>
				<verse number="15">Шен пхерчий а кхиссина, Цо мостагӀий дӀасалаьхкира, дукха ткъес а хьажийна, Цо уьш ма дарбира.</verse>
				<verse number="16">Цуьнан оьгӀазе аз дӀахезча, Цуьнан мерӀуьргашкахула хӀо арадаьлча, хӀордийн баххаш гучудевлира, дуьненан бух схьабеллабелира.</verse>
				<verse number="17">Везачу Эло лакхаллера, Шен куьйгаш схьа а кховдийна, со кӀоргачу хи чуьра схьаваьккхира.</verse>
				<verse number="18">Доьналла долчу сан мостагӀийн куьйга кӀелара Цо со схьаваьккхира, сол ницкъ болчу, со ца везаш болчу мостагӀех кӀелхьара а ваьккхира.</verse>
				<verse number="19">Сан де эшначу дийнахь сан мостагӀий суна дуьхьалбевллера, амма Веза Эла суна гӀортор хилла дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="20">Кхераме йоцучу метте Цо араваьккхира со, Ша суна реза хиларна, кӀелхьарваьккхира со.</verse>
				<verse number="21">Со нийса леларе хьаьжжина, Везачу Эло суна дика делла. Сан куьйгаш цӀена хиларе терра Цо суна кхаъ белла.</verse>
				<verse number="22">Везачу Эло сайна гайтина некъаш аса лар а дора, сайн Делера дӀа ца верзалуш, со Ӏеса ца лелара.</verse>
				<verse number="23">Цуьнан дерриг а тӀедехкинарш суна хьалха дара, Цуьнан парзашна тӀера со дӀа а ца волура.</verse>
				<verse number="24">Цунна хьалха со цӀена хилла, къинош латорах ларлуш а хилла.</verse>
				<verse number="25">Со нийса леларе хьаьжжина, Везачу Эло суна кхаъ белла, Цуьнан бӀаьргашкахь сан куьйгаш цӀена долу дела.</verse>
				<verse number="26">Хьайца тешаме волчуьнца тешаме хуьлу Хьо, кхоччуш леллачу майрачуьнца кхоччуш хуьлу Хьо.</verse>
				<verse number="27">ЦӀена волчуьнца цӀена хуьлу Хьо, ткъа мекара волчуьнца — цуьнан мекара хиларе хьаьжжина хуьлу.</verse>
				<verse number="28">Мисканаш Ахьа кӀелхьарбоху, цабашарца хьоьжурш Хьайн хьажарца охьатаӀабо Ахьа.</verse>
				<verse number="29">Веза Эла! Хьо — сан чиркх бу. Ахьа сан бода серлабоккху.</verse>
				<verse number="30">Хьоьца со хилча, аса эскар а эшадо, сайн Делаца со пенал дехьа а вуьйлу.</verse>
				<verse number="31">Дела — Цуьнан некъ кхоччуш бу! Везачу Элан дош ма цӀена ду! Цуьнга шаьш лардойтучу массарна а Иза турс санна хилла дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="32">Мила ву ткъа Дела, Веза Эла воцург? Мила ву ткъа тарх, вайн Дела воцург?</verse>
				<verse number="33">Дала суна берриг ницкъ а ло, ткъа Цо сан некъ нийса а бо</verse>
				<verse number="34">Сан когаш сен когех тарбо Цо, лакхаллашкахь со чӀогӀа лоттуьйту.</verse>
				<verse number="35">Сан куьйгаш Цо тӀом бан а Ӏамадо, сан хӀинца цӀестан Ӏад дула а тарло.</verse>
				<verse number="36">Со кӀелхьарвоккху турс Ахь суна делира, Хьан гӀоьно со тӀех воккха вира.</verse>
				<verse number="37">Ахьа соьга ког шуьйра боккхуьйтура, цундела сан хьакхолгаш гал ца йолура.</verse>
				<verse number="38">Сайн мостагӀашна тӀаьхьа а ваьлла, со ведда леллера, уьш хӀаллак а беш, уьш байалц юха а ца вирзира.</verse>
				<verse number="39">Аса уьш, хӀаллак а бина, байа а байина, уьш сан когашна хьалха охьаэггалц.</verse>
				<verse number="40">Ахьа суна тӀом бан ницкъ а белла, суна дуьхьалбевлларш сан когашка охьа а бехкина.</verse>
				<verse number="41">Ахь дӀабовдийтинчу сан мостагӀийн баккъаш суна гина, цундела аса со цавезнарш хӀаллакбина.</verse>
				<verse number="42">Цара шаьш кӀелхьардаха бохуш орца дохура, амма уьш кӀелхьарбаха стаг вацара. Цара Везачу Эле кхойкхура, амма Цо жоп ца лора.</verse>
				<verse number="43">Чан санна, кегийра дакъош дора Аса царах, арара хатт санна, тӀе когаш а бетташ, хьуьйра ас уьш.</verse>
				<verse number="44">Ахьа суна дуьхьалдаьллачу сан халкъах кӀелхьарваьккхина со. Со дийна витина Ахьа, къаьмнашна тӀехь куьйгалла дайта. Суна девзаш ца хилла долу адамаш суна гӀуллакх деш лелаш ду.</verse>
				<verse number="45">Кхечу мехкашкара нах суна хьесталуш бу, со ву аьлла ма-хеззина, суна муьтӀахь хуьлий, дӀахӀуьтту уьш.</verse>
				<verse number="46">Шайн даг чохь лаьттачу кхерамо гӀора дӀадаьккхина церан, цундела уьш бегош, шайн чӀагӀонан меттигашкара арабуьйлура.</verse>
				<verse number="47">Дийна ву Веза Эла! Декъала хуьлда сан Тарх! Веза воккха хуьлда сан чӀагӀо волу, со кӀелхьарвоккху Дела.</verse>
				<verse number="48">Дела ву сох бекхам бийриг а, халкъаш суна муьтӀахь дийриг а,</verse>
				<verse number="49">сан мостагӀех со кӀелхьарвоккхург а! Суна дуьхьалбевллачарна тӀехь Ахьа соьга толам баккхийтира. Къизачу нахах Ахь со кӀелхьарваьккхира.</verse>
				<verse number="50">Цундела кхечу къаьмнашна юкъахь Аса Хьуна хастамаш бийр бу, ва Веза Эла, иллешкахь Хьан цӀе хестор а ю.</verse>
				<verse number="51">Везачу Эло шен паччахьна баккхий толамаш ло. Иза массо а ханна тешаме хир ву Ша къобалвинчунна, Даудана а, цуьнан тӀаьхьенна а».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="23">
				<verse number="1">ХӀорш ду Даудан тӀаьххьара дешнаш: «Иштта олу Юшайн кӀант волчу Дауда, иштта олу Дала вазвина волчу стага. Якъубан Дала паччахь хила къобалвинарг а, Исраилан халкъан хаза назманаш олург а ву иза.</verse>
				<verse number="2">Везачу Элан са а ду суна чохь, Цуьнан дош а ду сан метта тӀехь.</verse>
				<verse number="3">Исраилан халкъан Дала дийцинера, Исраилан халкъан Тархо соьга аьллера: „Нийсонца нахана тӀехь олалла дийриг, Делах а кхоьруш, олалла дийриг,</verse>
				<verse number="4">малх хьалаболучу Ӏуьйренан нур санна, марха йоцучу Ӏуьйренан нур санна, лаьттара сийна буц хьалайолуьйтуш йолу догӀа сецча хуьлу серло санна ю“.</verse>
				<verse number="5">Сан тӀаьхьенца вац ткъа Дела? Дала соьца массо а ханна болу барт бина, цуьнан чӀагӀо йохор а яц, хийцалур а яц. Суна мел гӀо деш дерг а, суна мел лууш дерг а, хуьлуьйтур дац ткъа Цо?</verse>
				<verse number="6">Ткъа Ӏеса нах хир бу, дӀакхуссуш долу кӀохцалш санна, цхьаммо а куьйгаца схьаоьцуш доцу.</verse>
				<verse number="7">Царах дӀахьакхавала лууш волчо, шен кара эчиг я гоьмукъан дечиг схьаоьцу. И кӀохцалш шаьш долччохь цо дагадо».</verse>
				<verse number="8">ХӀорш ю Даудан майрачу тӀемалойн цӀерш: тахьикманхо волу Яшуб-Бушбат, иза майрачу кхаанна юкъахь коьртаниг хилла. Цо, шен гоьмукъ бархӀ бӀе стагана дуьхьал а баьккхина, уьш цхьана тӀамехь эшийна.</verse>
				<verse number="9">Оцу кхаанна юкъара шолгӀаниг ахьохьахо волчу Додин кӀант ЭлиӀазар хилла. ПӀелаштамхойх бийла а буьйлуш, цаьрга тӀаме тӀекхойкхучу хенахь Даудаца цхьаьна хиллачарах цхьаъ вара иза. ПӀелаштамхой цигахь тӀом бан дагахь арабевлла хилла, амма исраилхой юхабевлла.</verse>
				<verse number="10">ЭлиӀазар хилла цигахь, пӀелаштамхошна дуьхьал а ваьлла, тӀом беш. Цо, шен куьг, кӀад а делла, туьрана тӀелатталц, уьш байина. Везачу Эло боккха толам белла исраилхошна цу дийнахь. ЭлиӀазар толам баьккхина ваьллачул тӀаьхьа, тӀемалой тӀегулбелла цунна. Царна беллачу нахана тӀера бедарш схьагулъяр бен кхин дан хӀума ца диснера.</verse>
				<verse number="11">КхоалгӀаниг хилла ХӀарар-гӀалара волу АгӀин кӀант Шама. Лахьи цӀе йолчу меттигехь, хьозийн кхоьш дӀайийначу кха тӀехь, тӀом бан схьагулбелла пӀелаштамхой. Цигара исраилхойн эскар пӀелаштамхойх дедда дӀадахана.</verse>
				<verse number="12">Амма Шамас, цу кха юккъехь дӀа а хӀоьттина, пӀелаштамхой эша а бина, и меттиг кӀелхьаръяьккхина. Везачу Эло цу дийнахь Исраилан халкъана боккха толам белла.</verse>
				<verse number="13">Ялта схьагулдечу цхьана дийнахь, пӀелаштамхой шайн меттаматтаца репахойн тогӀи чохь лаьтташ а болуш, ткъе итт баьччанех волу кхо стаг Дауд волчу веана Ӏадулам олучу хьеха чу.</verse>
				<verse number="14">Дауд цу хенахь чӀагӀйинчу меттехь вара, ткъа пӀелаштамхойх цхьа эскаран тоба Байтлахам-гӀалахь хилла.</verse>
				<verse number="15">Хьагвелла волчу Дауда аьлла: «Байтлахам-гӀалин кевнера гӀу чуьра мала хи хьан дахьар дара те суна?»</verse>
				<verse number="16">ТӀаккха майра кхо тӀемало, пӀелаштамхойн меттаматтехула чекх а ваьлла, Байтлахаман кевнехь йолчу гӀу чуьра хи а эцна, иза Даудана а дахьаш, схьавеара. Амма Даудана и хи мала ца лиира. Цо и хи, сагӀина а лерина, Везачу Элана хьалха лаьтта охьадоьттира.</verse>
				<verse number="17">Дауда элира: «Веза Эла, ца малало-кх соьга и хи. И хи дан бахана болчу, шайн синош ца кхоийначу кху къонахийн цӀий санна дац иза?» Цундела ца лиира Даудана и хи мала. Иштта хьуьнаре гӀуллакхаш дора цу майрачу кхаа тӀемалочо.</verse>
				<verse number="18">Йоабан ваша, Царуятан кӀант волу Абушай, цу ткъе итт тӀемалочун коьртехь вара. Цо шен гоьмукъца кхо бӀе стаг вийнера, цундела цу кхааммо лоруш вара иза.</verse>
				<verse number="19">Цу кхаа турпалхочун чул а чӀогӀа цӀе яхана вара иза, церан хьаькам хилла дӀахӀоьттина а вара, амма иза церан могӀаре вогӀуш вацара.</verse>
				<verse number="20">ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу а майра стаг хилла. Иза ша Къабциал-юьртара вара. Цо шегара даккхий хьуьнарш гайтинера. Цуьнан карах валар хиллера муабахойн гӀараваьллачу шина баьччанан. Иштта ло догӀучу дийнахь, ор чу а ваьлла, лом дийнера цо.</verse>
				<verse number="21">Кхин а цхьа чӀогӀа лекха волу мисархо хилла цо вийна. Мисархочун карахь гоьмукъ хилла, ткъа хӀара карахь гӀаж а йолуш, дуьхьалваьлла цунна. БенъяхӀус, мисархочуьнгара гоьмукъ схьа а баьккхина, цуьнан шен гоьмукъ а тоьхна, иза вийна.</verse>
				<verse number="22">И тайпа хьуьнаре гӀуллакхаш дина хилла ЯхӀу-ЯдаӀан кӀанта БенъяхӀус. Цундела иза, важа кхо турпалхо санна, гӀараваьлла вевзаш вара.</verse>
				<verse number="23">Иза ткъе иттаннал чӀогӀа цӀе яххана вара, амма вукху кхаанца нислуш вацара. Дауда шен хана юкъахь коьртаниг вина дӀахӀоттийра БенъяхӀу.</verse>
				<verse number="24">Коьрта ткъе итт тӀемалочунна юкъабогӀуш бара: Йоабан ваша ӀасахӀал, Байтлахам-гӀалара Додин кӀант Элхьанан,</verse>
				<verse number="25">хьародхой болу Шама а, Эликха а,</verse>
				<verse number="26">палтихо волу Хьелац, такхоӀхо волчу Ӏакхешан кӀант Ӏира,</verse>
				<verse number="27">Ӏанатотхо Абу-Ӏезар, хьушатхо Мубани,</verse>
				<verse number="28">ахьохьахо Цалмун, натӀупатхо Махьран,</verse>
				<verse number="29">натӀупатхо волчу БаӀнин кӀант Хьалид, бен-яманхойн ГебаӀ-гӀалара Ребин кӀант Ита,</verse>
				<verse number="30">пӀарӀатунхо БенъяхӀу, ГаӀашан тогӀешкара ХӀиди,</verse>
				<verse number="31">Ӏарбатхо волу Абу-Ӏалбан, бархьумхо волу Ӏазмават,</verse>
				<verse number="32">шаӀалбанхо Элияхьба, Яшанан кӀентий, ЯхӀуната,</verse>
				<verse number="33">хӀарархо ШамаӀ, хӀарархо волчу Шараран кӀант Ахьиам,</verse>
				<verse number="34">маӀхахочун Ахьасбин кӀант Эли-Пулат, гилохо волчу Ахьи-Тупалан кӀант ЭлиӀам,</verse>
				<verse number="35">кармалхо Хьецари, арбахо волу ПаӀра,</verse>
				<verse number="36">Цобарчу Натин кӀант ИгӀал, гадахо волу Бани,</verse>
				<verse number="37">Ӏамминхо волу Цалакх, Царуятан кӀентан Йоабан герзлелорхо волу бератхо Нахьрай,</verse>
				<verse number="38">итархо волу Ӏира, итархо волу ГӀараб,</verse>
				<verse number="39">хьетахо волу УръяхӀу. Уьш массо а ткъе вуьрхӀитта стаг вара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="24">
				<verse number="1">Веза Эла юха а оьгӀазвахара исраилхошна. Цо Дауд исраилхошна дуьхьалваьккхира. Дауда элира: «Даха а гӀой, Исраил-махкахь а, ЯхӀуд-махкахь а долу халкъ дагарде».</verse>
				<verse number="2">Дауда шен эскаран хьаькам волчу Йоабе элира: «Даха а гӀой, Дан-гӀалара дуьйна Беар-ШабаӀе кхаччалц долчу массо а исраилхойн тайпанаш юкъахь долу халкъ дагарде, суна уьш мел бу хаийта».</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха Йоаба паччахье элира: «Хьан Везачу Дала халкъ кхин а бӀозза алсамдоккхийла, сан эла волчунна иза ган а гойла. Ткъа сан паччахь волчу элана хӀунда оьшу иза?»</verse>
				<verse number="4">Амма паччахьо аьллачу дешнаша къера хилийтира Йоаб а, кхиболу тӀеман хьаькамаш а. Уьш, паччахьна уллора дӀа а бахана, Исраилан халкъ дагардан бахара.</verse>
				<verse number="5">Йордан-хил дехьа а бевлла, ӀаруӀерахь севцира уьш, тогӀи чохь йолчу гӀалина къилбехьа. Цу тӀера уьш Гадин тайпанан махкахула ЯӀзир-гӀала йолчу дӀабахара.</verse>
				<verse number="6">ТӀаккха уьш ГалӀада а, ТӀахтайм-Хьудшин а латтанашка дӀабахара, уьш кхин а Дан-ЯьӀнехула чекхбевлира. ТӀаккха уьш, го а баьккхина, ЦӀадан йолчу бахара.</verse>
				<verse number="7">Иштта Цорарчу гӀопехула а, хьаьвихойн а, канаӀанхойн а гӀаланашкахула а чекхбевлира. ТӀаьххьара а ЯхӀуд-махкана къилбехьа Ӏуьллучу Беар-ШабаӀе кхечира уьш.</verse>
				<verse number="8">Массо а махкахула чекх а бевлла, исс буттий, ткъа дей даьлча, уьш Ярушалайме кхечира.</verse>
				<verse number="9">Нах багарбаран жамӀ паччахье дӀаделира Йоаба: кара тур а лаьцна, тӀом балур болуш волу бархӀ бӀе эзар исраилхо хилар, ткъа яхӀудхо — пхи бӀе эзар стаг.</verse>
				<verse number="10">Ша халкъ дагардина ваьллачул тӀаьхьа, юьхьӀаьржачу хӀоттарна дог тохаделира Даудан. Везачу Эле цо элира: «И хӀума дар бахьана долуш аса сайх доккха къа латийна. Веза Эла, Хьан лай волчу суна гечдар доьху аса Хьоьга. ЧӀогӀа хьекъале доцу хӀума дина аса».</verse>
				<verse number="11">Вукху дийнахь Ӏуьйранна Дауд самаваьлча, цуьнан Делера дерг гуш волчу Гада-пайхамаре Везачу Элан дош кхечира.</verse>
				<verse number="12">Везачу Эло Гадига элира: «Ваха а гӀой, Дауде дӀаала: „Везачу Эло боху: ‘Хьуна лерина кхо таӀзар ду Сан. Царах хьайна цхьаъ схьахаржа, иза Соьга кхочушдайта’“».</verse>
				<verse number="13">Гадас, Дауд волчу а веана, цуьнга элира: «ВорхӀ шарахь мацалла лаьттийла лаьа хьуна хьайн махкахь, я кхаа баттахь хьайн мостагӀех ведда лела лаьа хьуна, я кхаа дийнахь хьан махкахь ун хӀуттийла лаьа хьуна? Ойла а яй, соьга хаам бе, хӀун ала аса со Ваийтинчуьнга?»</verse>
				<verse number="14">Дауда Гадига элира: «Соьгахь боккха бала бу! Везачу Элан кара дӀадалийтахьара тхо, Цуьнан къинхетам боккха болу дела. Ткъа адамийн кара тхо дӀа ма далийтахьара».</verse>
				<verse number="15">Цу Ӏуьйранна дуьйна схьа Ша йиллина йолу хан тӀекхаччалц, Везачу Эло исраилхошна ун тӀехийцира. Дан-гӀалара дуьйна Беар-ШабаӀе кхаччалц долчу латтанаш тӀехь дехаш долчу халкъа юкъара кхузткъе итт эзар стаг велира и ун бахьана долуш.</verse>
				<verse number="16">Ярушалаймана тӀе шен куьг хьалаайира Малико, иза хӀаллакьян дагахь, амма и бохам хилла дохковаьлла волчу Везачу Эло адам хӀаллакдеш долчу малике элира: «Тоьар ду! ХӀинца охьадахийта хьайн куьг». Везачу Элан малик цу хенахь явсайхо волчу Аравнин хьаьтта уллохь дара.</verse>
				<verse number="17">Адам хӀаллакдеш долу малик шена гича, Дауда Везачу Эле элира: «Аса къа латийна! Сан бакъо йоцург дина аса! Амма хӀокху наха цхьа а вониг ца дина. Уьш, уьстагӀий санна, суна тӀаьхьахӀиттина лелла. Цундела Хьан таӀзар суна а, сан ден доьзална а тӀе доьрзийла».</verse>
				<verse number="18">Цу дийнахь Гадас, Дауд волчу а веана, цуьнга элира: «Ваха а гӀой, Везачу Элана сагӀа доккхуш йолу меттиг кечъе явсайхо волчу Аравнин хьаьттахь».</verse>
				<verse number="19">Дауда Везачу Эло Гадигахула шега аьлларг кхочушдира.</verse>
				<verse number="20">Аравнина ша волчу вогӀуш волу паччахь а, цуьнан ялхой а гира. Ара а ваьлла, цо паччахьна хьалха лаьтта кхаччалц корта охьатаӀийра.</verse>
				<verse number="21">Аравнис хаьттира: «Сан паччахь волу эла шен лай волчу хӀунда веана те?» Дауда жоп делира: «Со хьоьгара хьаьтта эца веана, кхузахь, Везачу Элана сагӀа доккхуш йолу меттиг а кечйина, ун сацадайтархьама».</verse>
				<verse number="22">Аравнис Дауде элира: «СагӀа даккха шайна оьшуш мел долу хӀума схьаэца. Дийнаташ дагоран сагӀина оьшуш долу стерчий а, дечиган метта мекха а, стерчийн дукъ а кхузахь ду шуна.</verse>
				<verse number="23">И ша мел ерг а ас хьуна дӀало, паччахь!» Аравнис кхин а цхьа хӀума элира паччахье: «Хьан Веза Дела реза хуьлда хьуна».</verse>
				<verse number="24">Амма паччахьо Аравнига элира: «ХӀан-хӀа! Везачу Элана лерина долу сагӀа маьхза даккха ца лаьа суна. Аса цу лаьттах богӀу мах хьуна дӀалур бу». Дауда хьаьтта а, стерчий а ийцира, цунах шовзткъе итт шекхал дети а делла.</verse>
				<verse number="25">Цигахь Дауда Везачу Элана лерина долу сагӀа доккху меттиг кечйира. Цо цигахь дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш а дехира. Везачу Эло цуьнан доӀанна жоп делира, Исраилан халкъана тӀера ун дӀа а даьккхира.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="11">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">Дауд-паччахь дикка къанвелла, хан тоьхна стаг волуш, иза хӀуъа дича а вох ца лора. Паччахь вохвалийта ялхоша юргӀанаш тосура цунна тӀе.</verse>
				<verse number="2">ТӀаккха паччахьан уллорачара элира цуьнга: «Оха къона йоӀстаг лохур ю хьуна, цо хьан гӀайгӀа бийр бу. Иза хьуна улло охьаюьжур ю, тӀаккха хьо вохлур ву».</verse>
				<verse number="3">Берриг Исраил-махкахула чекхбовлуш, хаза йоӀ лийхира цара паччахьна. ТӀаккха АбишагӀ цӀе йолу шунамхо а карийна, иза паччахьна тӀе ялийра цара.</verse>
				<verse number="4">И йоӀ чӀогӀа хаза яра. Цо дика дола дора паччахьан, амма паччахьо цунах куьг а ца туьйхира.</verse>
				<verse number="5">Кураваьллачу Хьагатан кӀанта Адан-ЯхӀус (иза Дауд-паччахьан дийна бисинчех воккхаха волу кӀант вара) ша паччахь хир ву олура. Цо шена гӀудалкхаш а кечйира, дошлой а хаьржира, шовзткъе итт сиха лела стаг а гулвира.</verse>
				<verse number="6">Дас цкъа а, иза я важа хӀунда леладо ахьа аьлла, ца хоттура цуьнга. Адан-ЯхӀу чӀогӀа хаза вара. Иза Абушаламал тӀаьхьа вина вара паччахьна.</verse>
				<verse number="7">Царуятан кӀантах Йоабах а, динан да волчу Абу-ЯтӀарих а дагаволура Адан-ЯхӀу. Цара гӀо а дора цунна.</verse>
				<verse number="8">Амма динан да ЦӀадукъа а, БенъяхӀун кӀант ЯхӀу-ЯдаӀ а, Ната-пайхамар а, ШамаӀи а, РеӀа а, Дауд-паччахьан доьналла долу тӀемалой а Адан-ЯхӀугахьа бацара.</verse>
				<verse number="9">Ӏейн-РегӀал олучу шовданан йистехь, Зохьелат олучу тӀулгана уллохь, Дауд-паччахьан кӀентий болу шен берриге вежарий а, паччахьан кертахь гӀуллакх деш болу берриге яхӀудхой а кхайкхина, стерчий, уьстагӀий, эсий дайира Адан-ЯхӀус.</verse>
				<verse number="10">Ткъа Ната-пайхамар а, паччахьан кертахь ха деш болчеран хьаькам волу БенъяхӀу а, важа майра турпалхой а, иштта шен ваша Сулим а ца кхайкхинера Адан-ЯхӀус.</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха Ната-пайхамаро Сулиман нене Бат-ШабаӀе элира: «Хьуна хезний Хьагатан кӀант Адан-ЯхӀу паччахь хилла воллий а, ткъа вайн олахочунна Дауд-паччахьна иза ца хаьий а?</verse>
				<verse number="12">Ткъа хӀинца ас хьехар дийр ду хьуна, хьайн а, хьайн кӀентан Сулиман а дахар ахьа муха кӀелхьардаккха деза аьлла.</verse>
				<verse number="13">Дауд-паччахьна тӀе а гӀой, ала цуьнга: „Сан паччахь волу олахо, хьайн лай йолчу соьга чӀагӀо еш, ахьа ца элира: ‘Хьан кӀант Сулим хьол тӀаьхьа хьан метта, паччахь хилла, охьахуур ву аьлла? Ткъа хӀинца Адан-ЯхӀу хӀунда хуьлуш ву паччахь?’</verse>
				<verse number="14">Ткъа хьо паччахье йистхуьлуш йоллучу хенахь, со хьуна тӀаьххье чувер ву, ахьа аьллачунна догӀург тӀе а тухуш“».</verse>
				<verse number="15">Паччахь вуьжучу цӀа чу елира Бат-ШабаӀ. Паччахь чӀогӀа къена вара. Цунна оьшург деш шунамхо йолу АбишагӀ яра цу чохь.</verse>
				<verse number="16">Бат-ШабаӀа, охьа а таьӀна, корта охьабахийтира паччахьна хьалха. Ткъа паччахьо элира: «Хьуна хӀун оьшу?»</verse>
				<verse number="17">Бат-ШабаӀа жоп делира: «Сан олахо, сан паччахь! Хьайн Далла хьалха хьайн лай йолчу суна чӀагӀо ма йира ахьа, сан кӀант Сулим хьайл тӀаьхьа паччахь хилла охьахуур ву аьлла.</verse>
				<verse number="18">Ткъа хӀинца Адан-ЯхӀух паччахь хилла боху. Хьуна-м, сан паччахь волу олахо, иза хаа а ма ца хаьа.</verse>
				<verse number="19">Дуккха а стерчий а, эсий а, уьстагӀий а дайина, массо а хьан, паччахьан, бераш а, динан да Абу-ЯтӀари а, тӀемалойн хьаькам волу Йоаб а кхайкхина цо. Ткъа хьан лай волу Сулим цо ца кхайкхина.</verse>
				<verse number="20">Сан паччахь волу олахо, массо Исраилан халкъан бӀаьргаш хьуна тӀе боьгӀна бу, ахьа дӀакхайкхоре ладоьгӀуш, сан паччахь волу олахо, хьан метта, хьол тӀаьхьа мила хир ву те бохуш.</verse>
				<verse number="21">ХӀунда аьлча сан паччахь волу олахо, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхетча, суна а, сан кӀантана Сулимна а тӀе бехк божор бу».</verse>
				<verse number="22">Бат-ШабаӀ паччахье йистхилла а ялале, Ната-пайхамар схьавеара.</verse>
				<verse number="23">Паччахье хаам бира, Ната-пайхамар веана аьлла. Паччахь волчу чу а ваьлла, шен корта лаьтта кхаччалц охьатаӀийра Ната-пайхамаро. (Цу хенахь Бат-ШабаӀ чуьра араелира, хӀунда аьлча, шен гӀуллакх дахьаш, паччахь волчу цхьана стеган бен ван йиш яцара.)</verse>
				<verse number="24">Цо элира: «Сан паччахь волу олахо! Аьллерий те ахь, хьайл тӀаьхьа паччахьалла а деш, хьайн метта Адан-ЯхӀу охьахуур ву аьлла?</verse>
				<verse number="25">ХӀунда аьлча Адан-ЯхӀус тахана, ара а ваьлла, дуккха а стерчий а, эсий а, уьстагӀий а дайина. Берриге а паччахьан кӀентий а, тӀемалойн хьаькамаш а, динан да волу Абу-ЯтӀари а тӀе а кхайкхина, Ӏаш ву иза. ХӀинца уьш и волчохь юуш а, молуш а бу. Цара боху: „Вехийла Адан-ЯхӀу-паччахь!“</verse>
				<verse number="26">Ткъа хьан лай волу со а, динан да ЦӀадукъа а, ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу а, хьан лай Сулим а ца кхайкхина цо.</verse>
				<verse number="27">Сан паччахь волчу олахочун лаамца хилла дуй те иза? Хьан лай волчу соьга хӀунда ца хаийтина те ахьа, мила хуур ву сан паччахь волчу олахочул тӀаьхьа цуьнан метта паччахьалла дан?»</verse>
				<verse number="28">ТӀаккха Дауд-паччахьо элира: «Схьакхайкхал суна тӀе Бат-ШабаӀ». Иза, паччахь волчу а еана, цунна хьалха дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="29">ТӀаккха жоп луш, Дауд-паччахьо элира: «Сан массо а халчу баланех со кӀелхьарваьккхинчу, дийна волчу Везачу Элах дуй боу ас,</verse>
				<verse number="30">Исраил халкъан Везачу Далла хьалха айса хьуна чӀагӀо ма-ярра, хьан кӀант Сулим, паччахьалла а деш, сан метта охьахуур ву аьлла. Иштта иза дийр а ду ас тахана».</verse>
				<verse number="31">ТӀаккха, корта лаьтта кхаччалц паччахьна хьалха охьа а таӀийна, Бат-ШабаӀа элира: «Вехийла сан паччахь волу олахо абаденналц!»</verse>
				<verse number="32">Цул тӀаьхьа Дауд-паччахьо элира: «Схьакхайкха суна тӀе динан да волу ЦӀадукъа а, Ната-пайхамар а, ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу а». Уьш паччахь волчу чубевлира.</verse>
				<verse number="33">Паччахьо элира цаьрга: «Шайца сан уллоранаш а эций, сан кӀант Сулим, сан бӀарзанна тӀе а хаавай, Гихьон-шовданна йисте дӀавига.</verse>
				<verse number="34">Цигахь динан дас ЦӀадукъас а, Ната-пайхамаро а Исраил-махкана тӀехь паччахьалла дан къобалвийр ву Сулим, коьрта тӀе даьтта а дуттуш. Цул тӀаьхьа, уьстагӀан маӀа а локхуьйтуш, дӀакхайкхаде: „Вехийла Сулим-паччахь!“ — аьлла.</verse>
				<verse number="35">И хӀума шаьш дина девллачул тӀаьхьа юха схьавалаве иза. ТӀаккха Сулим, схьа а веана, сан, паччахьан, метте охьахуур ву. Цо сан метта паччахьалла дийр ду. Исраилан халкъана а, ЯхӀудан халкъана а тӀехь баьчча хила аьлла, весет дина аса цуьнга».</verse>
				<verse number="36">ЯхӀу-ЯдаӀан кӀанта БенъяхӀус, паччахье жоп луш, элира: «Амин! Иштта олийла Везачу Эло, сан паччахь волчу олахочун Дала.</verse>
				<verse number="37">Веза Эла сан паччахь волчу олахочуьнца ма-хиллара, иштта хуьлийла Иза Сулимца а, сан олахо волчу Даудан паччахьаллел а, лакхадоккхийла Цо Сулиман паччахьалла а».</verse>
				<verse number="38">ТӀаккха динан да волчу ЦӀадукъас а, Ната-пайхамаро а, ЯхӀу-ЯдаӀан кӀанта БенъяхӀус а, кератхоша а, палетхоша а Сулим, Дауд-паччахьан бӀарзанна тӀе а хаийна, Гихьон олучу шовдан йисте вигира.</verse>
				<verse number="39">Цул тӀаьхьа динан дас, деза четар чуьра деза хьакхар чохь долу маӀа схьа а эцна, и хьакхар Сулиман коьрта тӀе доьттира. ТӀаккха зурманчаша коьман маӀа лекхира. Дерриг халкъо, аз айадеш, бохура: «Вехийла Сулим-паччахь!»</verse>
				<verse number="40">Цул тӀаьхьа дерриг а халкъ, зурманаш а лоькхуш, Сулимна тӀаьхьахӀоьттира. Массо а халкъана и хӀума чӀогӀа хазахеттера. Церан маьхьарша дерриг а латта дегадора.</verse>
				<verse number="41">ХӀума юучуьра севцича, Адан-ЯхӀуна а, цо кхайкхинчарна а и гӀовгӀанаш хезира. Ткъа коьман маӀан гӀовгӀа хезна волчу Йоаба элира: «И хӀун гӀовгӀа ю яьлларг? ХӀун ду те гӀалахь хилларг?»</verse>
				<verse number="42">Цо и боххушехь, динан ден Абу-ЯтӀарин кӀант ЯхӀуната тӀевеара. Ткъа Адан-ЯхӀус цуьнга элира: «Чувала, хьо хьанал стаг ву. Ахьа дика кхаъ беана хир бу».</verse>
				<verse number="43">ТӀаккха ЯхӀунатас Адан-ЯхӀуга жоп делира: «ХӀан-хӀа. Дика кхаъ бац ас беанарг! Вайн олахочо Дауд-паччахьо Сулим паччахь вина дӀахӀоттийна.</verse>
				<verse number="44">Паччахьо динан да ЦӀадукъа а, Ната-пайхамар а, ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу а, кератхой а, палетхой а бахийтина, цара Сулим паччахьан бӀарзанна тӀе хаийна.</verse>
				<verse number="45">ТӀаккха Гихьон-шовданан йистехь динан да волчу ЦӀадукъас а, Ната-пайхамаро а Сулим паччахь ван къобалвина. Цигара дӀадоьдуш долу халкъ чӀогӀа хазахетта ду, ерриг гӀала а меттахъяьлла. Цундела яьлла шуна хезаш йолу и гӀовгӀа.</verse>
				<verse number="46">ХӀинца паччахьан метта Сулим охьахиъна.</verse>
				<verse number="47">Ткъа паччахьан уллорачара, вайн олахо Дауд паччахь декъалвеш, элира: „Хьан Дала Сулиман цӀе хьан цӀарал а сов язйойла, цуьнан паччахьалла хьан паччахьаллел а лакхадоккхийла“. ТӀаккха Дауд-паччахь ша меттахь волччохь охьатаьӀира царна.</verse>
				<verse number="48">Дауд-паччахьо иштта дешнаш элира: „Декъал ву Веза Эла, Исраилан халкъан Дела, тахана сан кӀант сан метта паччахь хилла охьахууш суна гайтина волу!“»</verse>
				<verse number="49">ТӀаккха Адан-ЯхӀус кхайкхина берш, кхера а белла, шайн-шайн цӀа дӀасабахара.</verse>
				<verse number="50">Ткъа Сулимах кхоьруш волу Адан-ЯхӀу, хьала а гӀаьттина, вахана сагӀа доккхучу кхерчан маӀех тасавелира.</verse>
				<verse number="51">ТӀаккха Сулимна тӀе хабар кхачийра, Адан-ЯхӀу Сулим-паччахьах кхера а велла, и кхерч схьа а лаьцна, лаьтташ ву аьлла. Цо доьху шена Сулим-паччахьо чӀагӀо яр, шен лай Адан-ЯхӀу тур тоьхна цо вуьйр вац аьлла.</verse>
				<verse number="52">Ткъа Сулим-паччахьо элира: «Нагахь иза хӀинца дуьйна дог цӀена стаг хилахь, цуьнан коьрта тӀера цхьа а чо лаьтта охьабожор бац, амма иза ямарта хилахь, лийр ву».</verse>
				<verse number="53">ТӀаккха Сулим-паччахьо, ялхой а бахийтина, сагӀа доккхучу кхерчан уллора схьавалавайтира Адан-ЯхӀу. Иза схьа а веана, Сулим-паччахьна хьалха охьатаьӀира. Ткъа Сулим-паччахьо Адан-ЯхӀуга элира: «Вало, хьайн цӀа гӀо».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Дауд-паччахьан валаран хан тӀееара. Шен кӀанте Сулиме весет а деш, цо элира:</verse>
				<verse number="2">«ХӀинца со, сан хене кхаьчна долу массо а адам санна, коша вижа герга вахана. Ткъа хьо, чӀагӀлой, доьналла долуш хилалахь.</verse>
				<verse number="3">Ахьа хьайн Везачу Делан весеташ ларделахь, Цуьнан некъашца а лелаш, Цуьнан хьехамаш а ларбеш, Цо билгалдаьккхинарш а, Цуьнан омра а, Муса-пайхамаран товрат тӀехь яздина ма-хиллара, кхочушделахь. ТӀаккха хир ву хьо массо а хӀуманна тӀехь кхиамаш болуш, ахьа хӀуъа дахь а, миччахьа хьо гӀахь а, хьанна тӀе хьо водахь а.</verse>
				<verse number="4">ТӀаккха кхочушдийр ду Дала Ша суна делла долу Шен дош. Везачу Эло соьга аьлла: „Нагахь хьан тӀаьхьено доггах, шен доллучу синца Суна хьалха шайн дахаран некъаш тешам хиларца лардахь, даим хьан тӀаьхьенах хир волчу цхьаццаммо паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тӀехь“».</verse>
				<verse number="5">Кхин а Дауд-паччахьо элира: «Хьуна дагадогӀу-кх, Царуятан кӀанта Йоаба хӀун дира суна? Цо Исраилан халкъан эскаран ши хьаькам вийра. Уьш бара Неран кӀант Абунар, ИтӀаран кӀант Ӏамасаъ. Маьршачу хенахь, тӀамехь Ӏанош санна, цӀий Ӏанийра Йоаба церан. Цу шиннан цӀийх дуьзира цо шен гӀодаюкъара доьхкий, шен когара мачашший.</verse>
				<verse number="6">ХӀинца ахьа хьекъалца чекхдаккха и гӀуллакх, амма къеналлин Ӏожаллица ма валийта Йоаб.</verse>
				<verse number="7">Ткъа галӀадхо волчу Барзалайн кӀентех къинхетам бе, уьш хьайна тӀе а озош, айхьа дола дечарна юкъа а бохуьйтуш. Цара дика гӀо дира суна, хьан веших Абушаламах со кӀелхьарволучу хенахь.</verse>
				<verse number="8">Кхин а, диц ца долуьйтуш, дагалацалахь, Бахьрум олучу меттигера бен-яманхочун Герин кӀант ШамаӀи а ву хьуна. Со Махьанайм олучу меттиге воьдучу хенахь, цо чӀогӀа сардамаш доьхкира суна. Иза Йордан-хин йистехь сайна дуьхьал кхетча, аса Везачу Элах дуй биънера, айса, тур тоьхна, иза вуьйр вац аьлла.</verse>
				<verse number="9">Ткъа хьуна хьайна а хуур ду, хьо хьекъал долуш хиларе терра, иза шен цӀий Ӏанорца эхарте вахийтархьама айхьа дан дезарг».</verse>
				<verse number="10">ТӀаккха Дауд-паччахь, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза Даудан гӀалахь дӀавоьллира.</verse>
				<verse number="11">Дауд-паччахьо Исраил-махкахь паччахьалла дина йолу ерриге а хан шовзткъа шо яра: царах Хьеврон-гӀалахь ворхӀ шарахь, ткъа Ярушалайм-гӀалахь ткъе кхойтта шарахь.</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха шен ден Дауд-паччахьан метта Сулим паччахь хилла охьахиира. Цуьнан паччахьалла дика чӀагӀделла лаьттира.</verse>
				<verse number="13">Цхьана дийнахь Хьагатан кӀант Адан-ЯхӀу, Сулиман нанна Бат-ШабаӀна тӀе а веана, цунна хьалха охьатаьӀира. Бат-ШабаӀа хаьттира цуьнга: «Маршонца дуй те хьан вар?» Адан-ЯхӀус жоп делира: «Маршонца ду», — аьлла.</verse>
				<verse number="14">«Хьоьга деха цхьа хӀума дара сан», — элира Адан-ЯхӀус. «Деха хьайна», — элира Бат-ШабаӀа.</verse>
				<verse number="15">ТӀаккха Адан-ЯхӀус элира: «Хьуна хаьа, и паччахьалла суна догӀуш дарий. Дерриг а Исраилан халкъ соьга, хин волчу паччахье санна, хьоьжуш Ӏаш дара. Амма хӀара паччахьалла, соьгара дӀа а даьлла, сан вешина кхечи, хӀунда аьлча иза Везачу Элера кхаьчна дара цунна.</verse>
				<verse number="16">Ткъа хӀинца цхьа хӀума доьху ас хьоьга, ахьа иза дӀа ма татталахь». «Ала хьайна», — элира Бат-ШабаӀа.</verse>
				<verse number="17">ТӀаккха Адан-ЯхӀус элира: «Ас доьху хьоьга Сулим-паччахье дехар дар, хӀунда аьлча цо ахьа аьллачунна дуьхьало йийр яцара. Суна цуьнгара шунамхо йолу АбишагӀ сайна йига пурба дезара».</verse>
				<verse number="18">«Дика ду, — элира Бат-ШабаӀа, — хьан дуьхьа доьхур ду ас паччахье».</verse>
				<verse number="19">Иза а аьлла, Бат-ШабаӀ Сулим-паччахьна тӀе яхара Адан-ЯхӀус аьлларг дӀадийца. Паччахь, хьала а гӀаьттина, цунна хьалха охьа а таьӀна, шен паччахьан гӀанта тӀе юха а охьахиира. Паччахьан нанна Бат-ШабаӀна а деара гӀант, тӀаккха иза паччахьна аьтту агӀор охьахиира.</verse>
				<verse number="20">Бат-ШабаӀа элира: «Сан цхьа жима дехар дара хьоьга, кхочуш ца деш ма дитахьара ахьа иза». «Деха, сан нана, дуьхьало йийр яц ас хьан дехарна», — элира Сулим-паччахьо.</verse>
				<verse number="21">ТӀаккха нанас элира: «Шунамхо АбишагӀ хьайн вешина Адан-ЯхӀуна зуда хилийта дӀалохьа».</verse>
				<verse number="22">Сулим-паччахьо, шен нене жоп луш, элира: «ХӀунда доьху ахьа Адан-ЯхӀуга шунамхо йолу АбишагӀ яхийтар? ТӀаккха-м и ехна ца Ӏаш, паччахьалла а дӀадалар хӀунда ца доьху ахьа цунна. Иза сан воккхах волу ваша ма ву? Цунна и ехарца динан да волчу Абу-ЯтӀарина а, Царуятан кӀантана Йоабана а паччахьалла доьхуш ю хьо».</verse>
				<verse number="23">ТӀаккха Сулим-паччахьо, Везачу Элах дуй бууш, элира: «Дала, Шен лааме хьаьжжина, луьра таӀзар дойла суна, и дешнаш Адан-ЯхӀус шен Ӏожаллина ца аьллехь.</verse>
				<verse number="24">Везачу Эло со сайн ден Дауд-паччахьан гӀанта тӀе охьахаийна. Ша делла долу дош Цо кхочушдина, суна а, сан доьзална а паччахьалла а делла. Цу дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо ас тахана Адан-ЯхӀу лийриг хиларх!»</verse>
				<verse number="25">ТӀаккха Сулим-паччахьо ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу вахийтира иза вен. Цо Адан-ЯхӀу вийра.</verse>
				<verse number="26">Динан дега Абу-ЯтӀарига Сулим-паччахьо элира: «Хьо вен хьакъ дара, амма хьайн лаьтта тӀе Ӏанатот-гӀала дӀаваха могуьйту ас хьуна. Сан дас хьегна болу баланаш а хьоьгуш, сан дена Даудана хьалха вайн Хьалдолчу Элан деза тӀорказ ахь лелийна дела, цкъа хӀинца ца воьйтуш вуьту ас хьо».</verse>
				<verse number="27">Динан да Абу-ЯтӀари Далла гӀуллакх деш волчуьра дӀаваьккхира Сулим-паччахьо. Иштта кхочушхилира Шилун олучу меттигехь Ӏелех а, цуьнан тӀаьхьенах а аьлларг.</verse>
				<verse number="28">Сулим-паччахьо динчух лаьцна Йоабана а хезира, хӀунда аьлча иза а вара Абушаламехьа а воцуш, Адан-ЯхӀугахьа бевллачарна юкъахь. ТӀаккха цо, ведда Везачу Элан Четар чу а ваьлла, сагӀа доккхучу кхерчан маӀаш схьалецира.</verse>
				<verse number="29">Йоаб, ведда вахана, Везачу Элан четар чохь, сагӀа доккхучу кхерчан маӀаш а лаьцна, лаьтташ ву аьлла, Сулим-паччахье дӀахаийтира. ТӀаккха Сулим-паччахьо ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу хьажийра цига, — «ГӀой, Йоаб виэ», — аьлла.</verse>
				<verse number="30">БенъяхӀус, Везачу Элан четарна чу а ваьлла, Йоабе элира: «Паччахьо аравала боху хьоьга!» Вукхо жоп делира: «ХӀан-хӀа, суна кхузахь вала лаьа». БенъяхӀус паччахье дӀадийцира Йоаба шега аьлларг.</verse>
				<verse number="31">ТӀаккха паччахьо БенъяхӀуга омра дира: «Цо боххург дей, вен а вей, дӀаволла иза. Иштта со а, сан ден тӀаьхье а паргӀатъер ю Йоабера баьллачу бехках, хӀунда аьлча цо бехк боцучу нехан цӀий Ӏанийна.</verse>
				<verse number="32">Сан дена Даудана ца хууш, шел дуккха гӀоле а, дог цӀена а волу, цхьа а бехк боцу ши стаг, тур тоьхна, вийнера цо. Уьш бара исраилхойн эскаран хьаькам хилла волу Неран кӀант Абунар, яхӀудхойн эскаран хьаькам хилла волу ИтӀаран кӀант Ӏамасаъ.</verse>
				<verse number="33">Церан Ӏаьнна цӀий Йоабан коьрта тӀе а, цуьнан тӀаьхьенна тӀе а дужийла абаденналц. Ткъа Даудана а, цуьнан тӀаьхьенна а, цуьнан цӀенна а, цуьнан паччахьаллина а Везачу Элера маршо хуьлийла абаденналц!»</verse>
				<verse number="34">ТӀаккха ЯхӀу-ЯдаӀан кӀанта БенъяхӀус вахана Йоаб вийра. Иза шен цӀерачу яьссачу аренгахь дӀавоьллира.</verse>
				<verse number="35">Цул тӀаьхьа ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу Йоабан метта эскаран хьаькам вахийтира Сулим-паччахьо. Ткъа динан да волу ЦӀадукъа Абу-ЯтӀарин метта динан коьрта да хӀоттийра цо.</verse>
				<verse number="36">ТӀаккха ШамаӀи схьавалаве аьлла, омра дира Сулим-паччахьо. ШамаӀига Сулим-паччахьо элира: «Хьайна Ярушалайм-гӀалахь цӀа а дай, кхузахь Ӏе, кхузара цхьана а метте дӀаса а ма вала.</verse>
				<verse number="37">Нагахь хьо, кху гӀалин чуьра ара а ваьлла, Кхидрун-хих дехьа валахь, хьо вуьйр ву, ткъа иза хьан-хьайн бехкенна а хир ду».</verse>
				<verse number="38">ШамаӀис паччахье жоп делира: «Дика ду, сан паччахь волу олахо, ахьа омра ма-дарра, иза кхочушдийр ду хьан лай волчу аса». Иштта дикка хан яллалц Ӏийра ШамаӀи Ярушалаймехь.</verse>
				<verse number="39">Амма, кхо шо даьлча, ШамаӀин ши лай Гати-гӀалин паччахь волу МаӀхин кӀант Ахаш волчу ведда дӀавахнера. ТӀаккха ШамаӀига хаам бира, хьан ши лай Гати-гӀалахь ву аьлла.</verse>
				<verse number="40">ШамаӀи, гӀаьттина, шен вир а йоьжна, Гати-гӀала Ахаш волчу шен ши лай схьалаха вахара. Иштта, и шен ши лай а валош, Гати-гӀалара юхавирзира ШамаӀи.</verse>
				<verse number="41">Ткъа Сулим-паччахьна тӀедаьхьнера, ШамаӀи, Ярушалаймера Гати-гӀала а вахана, юхавирзина аьлла.</verse>
				<verse number="42">Паччахьо, шен ялхошка ШамаӀи схьа а валавайтина, элира цуьнга: «Везачу Элах дуй ца биънера аса, хьоьга дӀа а хоуьйтуш, нагахь хьо миччанхьа а гӀала чуьра аравалахь, цу дийннахь хьо лийр ву аьлла? Ткъа ахьа соьга: „Дика ду. Ахь боххург дийр ду ас“, — элира.</verse>
				<verse number="43">Ас хьайга, Везачу Элана хьалха дуй бууш, дина омра кхочуш хӀунда ца дира ахьа?»</verse>
				<verse number="44">ТӀаккха паччахьо кхин а элира ШамаӀига: «Хьуна а, хьан дагна а хаьа сан дена Даудана айхьа дина вон. Ахьа йина хӀуьттаре хьайн коьрта тӀе ерзайойла хьуна Везачу Эло!</verse>
				<verse number="45">Ткъа Сулим-паччахь декъал хуьлийла! Даудан тӀаьхьенан паччахьалла меттах ма долийла Везачу Элана хьалха абаденналц!»</verse>
				<verse number="46">ТӀаккха ЯхӀу-ЯдаӀан кӀанте БенъяхӀуга Сулим-паччахьо омра дира, ШамаӀи ве аьлла. Вукхо, вахана, иза вийра. Иштта велира ШамаӀи. Цу хенахь дуьйна Сулим-паччахьан паччахьалла чӀагӀделла лаьтташ дара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">Мисар-мехкан паччахь волчу пирӀунца гергарло тесира Сулим-паччахьо, цуьнан йоӀ шена а ялийна. Шен паччахьан цӀа а, Везачу Элан цӀа а, керт а, Ярушалайм-гӀалина гонах йолу тӀулган керт а дӀахӀоттаяллалц, Даудан гӀала ялийра Сулим-паччахьо пирӀунан йоӀ.</verse>
				<verse number="2">Везачу Элан цӀе язъян лерина долу цӀа цкъа хӀинца а дина дӀахӀоттоза дара, цундела халкъо цкъачунна гунаш тӀехь доккхура сагӀа.</verse>
				<verse number="3">Шен дас Дауда шена ма-хьеххара, дерриг а кхочушдеш, Везачу Эле шен болу безам гойтура Сулим-паччахьо. Амма Сулим-паччахьо ша а цкъа хӀинца Везачу Элана сагӀа дар а, хаза хьожа йогӀу хӀума ягийтар а сагӀа доккхучу гунаш тӀехь дора.</verse>
				<verse number="4">Иштта, шен ГавӀон цӀе йолчу гӀала вахара Сулим-паччахь, цигахь сагӀа даккхархьама, сагӀа даккхаран коьрта барз оцу гӀалахь лаьтташ болу дела. Цигахь долчу сагӀа доккхучу кхерчан тӀехь эзар дийнат дагоран сагӀа доккхура Сулим-паччахьо.</verse>
				<verse number="5">ГавӀон-гӀалахь, Сулим-паччахь вижна волуш, гӀенах Дела дуьхьалхӀоьттира цунна. «Деха хьайна луъург», — элира Дала.</verse>
				<verse number="6">Ткъа Сулим-паччахьо жоп делира: «Хьайн лай волу сан да Дауд Хьуна хьалха тешаме а, бакъахьара а, дог цӀена а леларна, Ахь цунна доккха дика дина. Цунна кӀант а велла, иза, хӀинца долуш ма-дарра, цуьнан паччахьан гӀантана тӀе а хаийна, Ахь цунна дина и доккха дика цунна тӀехь битира Ахьа.</verse>
				<verse number="7">Ткъа хӀинца, сан Веза Дела, Хьайн лай волу со дӀахӀоттийна Ахьа, паччахь а вина, сан ден Даудан метта. Амма со хӀинца а бер санна ву. Сан хӀинца а хьекъал ца кхочу, айса дан дезарг кхочушдан.</verse>
				<verse number="8">Ахьа хаьржина долчу, дагардина ца валлал дукха долчу Хьан халкъана юкъара Хьан лай ву со.</verse>
				<verse number="9">Доьху Хьоьга, лохьа Хьайн лай волчу суна хьекъалалла, Хьан халкъана юкъахь нийсаниг лело а, кхелахо хила а. Ӏамавехьа со дика а, вон а къасто. И хьекъал ца хилча, хӀокху Хьан оццул дукха долчу халкъана тӀехь урхалла хьаьнга далур ду?»</verse>
				<verse number="10">Сулим-паччахьо дехначунна резахилира Веза Эла.</verse>
				<verse number="11">Дала элира цуьнга: «Ахьа хьайн дуьненахь йоккху хан яхъяр а ца доьхуш, хьайна хьал хилийтар а ца доьхуш, хьайн мостагӀийн синош хӀаллакдар а ца доьхуш, хьайна хьекъал-кхетам балар дехарна, кхел ечу хенахь нийса сацам бархьама,</verse>
				<verse number="12">лур ду Ас хьуна ахьа доьххург. Ас лур ду хьуна хьекъаллий, кхетаммий, кхин хьо саннарг хьол хьалха цкъа а ца хиллачу тайпана а, кхин хӀинца чул тӀаьхьа хьо саннарг хир а воцучу тайпана а.</verse>
				<verse number="13">Ахьа ца дехнарг а лур ду Ас хьуна. Алссам хьал а, сийлалла а лур ду Ас хьуна, хьо велла дӀаваллалц, хьо санна паччахь кху дуьненахь кхин хир воцучу тайпана.</verse>
				<verse number="14">Нагахь хьо Сан некъашца а лелахь, Ас тӀедехкинарш а, Сан весеташ а кхочушдеш хьо лелахь, хьан да Дауд ма-леллара, Ас яхйийр ю хьан вахаран хан а».</verse>
				<verse number="15">Ша самаваьлча, Сулим кхийтира, иза гӀан хиллий. ТӀаккха Ярушалайм-гӀала юха а вирзина, Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказна хьалха а хӀоьттина, шен а, халкъан а сагӀа доккхучу кхерчана тӀехь сагӀа даьккхира Сулим-паччахьо. Уьш дара дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш. ТӀаккха доккха той хӀоттийра паччахьо шен массо а ялхошна.</verse>
				<verse number="16">Цкъа, Сулим-паччахьна тӀе а еана, цунна хьалха дӀахӀоьттира нахаца лела ши зуда.</verse>
				<verse number="17">Цу шиннах цхьаммо элира: «Сан олахо, со а, хӀара зуда а цхьана цӀа чохь Ӏаш ю. ХӀара зуда а йолуш, аса оцу цӀенна тӀехь бер динера.</verse>
				<verse number="18">Ас бер дина кхоалгӀачу дийнахь хӀокху зудчун а бер хилира. Оцу цӀахь тхойшиъ йоцург кхин цхьа а адам дацара.</verse>
				<verse number="19">Буса хӀокху зудчун кӀант, хӀара цунна тӀетовжар бахьана долуш, велира.</verse>
				<verse number="20">Ткъа буьйсанна, хьан лай йолчу суна наб кхеттачул тӀаьхьа, сан кӀант дӀа а эцна, иза шен некхана тӀе а виллина, шен велла волу кӀант сан некхана тӀе виллина цо.</verse>
				<verse number="21">Ӏуьйранна, сайн кӀант вакхо со хьалагӀаьттича, иза велла карийра суна. Амма дикка цуьнга хьаьжча, иза аса вина сайн кӀант воцийла а хиира суна».</verse>
				<verse number="22">ТӀаккха вукху зудчо элира: «ХӀан-хӀа, сан кӀант дийнаниг ву, ткъа хьайниг велларг ву». Ткъа дуьххьарлерчу зудчо бохура: «ХӀан-хӀа, хьайниг ву велларг, дийнаниг сан кӀант ву». Иштта паччахьна хьалха къуьйсуш яра и ши зуда.</verse>
				<verse number="23">ТӀаккха паччахьо элира: «Шу шиннах хӀораммо а боху дийна долу бер шен ду, тӀаккха шух хӀораммо а боху делларг шен бер дац.</verse>
				<verse number="24">Схьадал суна тур», — элира паччахьо. Тур схьадеара паччахьна.</verse>
				<verse number="25">«Вай хӀинца хӀара дийр ду, — элира паччахьо, — и дийна долу бер хада а дай, ах а даккхий, цунах ши дакъа де. ТӀаккха хӀора зудчунна цхьацца дакъа дӀало».</verse>
				<verse number="26">ТӀаккха далаза бер долчу зудчун, шен кӀанте болчу безамна а, цунах чӀогӀа къахетарна а, кийра багийра. Оцу зудчо жоп делира: «Сан олахо! Ма дейша и бер, иза дийна а долуш дӀалойша оцу зудчунна». Ткъа шолгӀачу зудчо элира: «Я суна а, я цунна а ма кхочийла и кӀант. Вей, дӀаваккха аша иза!»</verse>
				<verse number="27">ТӀаккха, жоп луш, паччахьо элира: «И бер, ден а ца дуьйш, хӀокху зудчунна дӀало аш. ХӀара ю кху кӀентан нана!»</verse>
				<verse number="28">Паччахьо йинчу кхелах лаьцна Исраил-мехкан дерриг а халкъана дӀахезира. Цу хенахь дуьйна наха Сулим-паччахь чӀогӀа лара а лорура, уьш цунах оза а лора. ХӀунда аьлча нахана гира, бакъдолчуьнца паччахьалла лелорхьама, Дала Сулим-паччахьна хьекъал деллийла.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">Цу тайпана, берриг а Исраил-махкана тӀехь паччахь хилира Сулимах.</verse>
				<verse number="2">Сулим-паччахьан го иштта бара: динан да волчу ЦӀадукъин кӀант Ӏазар-ЯхӀу;</verse>
				<verse number="3">Шайшаан кӀентий Элихьорап а, АхьъяхӀу а — уьш бара кехаташ яздархой; Ахьлудан кӀант ЯхӀушапти, пачхьалкхан гӀуллакхех лаьцна яздархо;</verse>
				<verse number="4">ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу, эскаран хьаькам волу; динан дай болу ЦӀадукъа а, Абу-ЯтӀари а;</verse>
				<verse number="5">Натин кӀант Ӏазар-ЯхӀу — иза мехкадайн куьйгалхо вара; Натин кӀант Зубади — иза динан да а, паччахьан юххера хьехамча а вара;</verse>
				<verse number="6">Ахьишар — иза паччахьан цӀентӀехь хьаькам вара; Ӏабдин кӀант Адунурам, беза белхаш бойтучу нахана тӀехь куьйгалхо волу.</verse>
				<verse number="7">Берриг а Исраил-махкана тӀехь Сулим-паччахьо дӀахӀоттийна шийтта мехкада вара. Цара сурсаташ дӀакхачадора паччахьна а, цуьнан цӀенна а. Царах хӀораммо а шеран цхьана баттана догӀу сурсаташ латто дезара.</verse>
				<verse number="8">Церан цӀераш иштта яра: лаьмнашкахь болчу Эпрайм-махкахь мехкада волу Бен-Хьур.</verse>
				<verse number="9">Бен-Декъар вара Макхац, ШаӀалбан, Байт-Шамаш, Эйлон, Байт-Хьанан цӀераш йолу гӀаланаш юкъайогӀучу мехкан мехкада.</verse>
				<verse number="10">Бен-Хьесад вара Арубат олучу а, Соха а гӀаланийн а, Хьепар олучу берриг а мехкан мехкада.</verse>
				<verse number="11">Бен-Абунадиб вара берриг Напат-Дор олучу мехкан мехкада. Ткъа Сулим-паччахьан йоӀ ТӀапат цуьнан зуда яра.</verse>
				<verse number="12">Ахьлудан кӀант БаӀана вара ТаӀнак а, МагӀидда а олучу гӀаланийн а, берриг Байт-Шеан цӀе йолчу мехкан а (иза бара ИзраӀал-гӀалина лахахь йолчу ЦӀартан-гӀалина юххехь), Байт-Шеан-махкара дуьйна болалуш Абел-Мехьал а, ЯкхмаӀам а олучу гӀаланашна тӀекхаччалц болчу мехкийн да.</verse>
				<verse number="13">Бен-ГӀебар вара ГалӀадан Рамат-гӀалин гонах болчу мехкийн мехкада. Оцу мехкашна юкъайогӀура ГалӀад-махкахь йолу Маннашан кӀентан Яиран ярташ. Иштта АргӀаб цӀе йолу Башан-махкахь йолу меттиг а, цӀестан гӀораш долуш, лекха керташ йолу кхузткъа йоккха гӀала а яра цу юкъайогӀуш.</verse>
				<verse number="14">Ӏиддин кӀант Ахьинадаб Махьанайм цӀе йолчу мехкан да вара.</verse>
				<verse number="15">Наптал-махкахь мехкада вара АхьимаӀац. Цо Сулим-паччахьан йоӀ Басамат йигнера шена.</verse>
				<verse number="16">Хьушайн кӀант БаӀана вара Ашар-мехкан а, БеӀалт-юьртан а мехкада.</verse>
				<verse number="17">Иссархан-мехкан да вара Парухьан кӀант ЯхӀушапти.</verse>
				<verse number="18">Элан кӀант ШамаӀи Бен-Яман-мехкан мехкада вара.</verse>
				<verse number="19">Эмархойн паччахьан Сихьонан а, Башан-мехкан паччахьан ӀовгӀин а хиллачу ГалӀад-мехкан мехкада вара Урин кӀант ГӀебар. ЯхӀуд-махка тӀехь а цхьа мехкада хӀоттийнера.</verse>
				<verse number="20">ЯхӀуд-махкахь а, Исраил-махкахь а, хӀордан йистера гӀум санна, алсамдаьлла дебнера халкъ. И адамаш юуш, молуш, самукъадолуш дара.</verse>
				<verse number="21">Эпрат-хин тӀера дӀадоладелла пӀелаштамхойн махкана тӀекхаччалц а, Мисар-мехкан дозане кхаччалц а йолчу меттигашкарчу массо а паччахьна тӀехь олалла дора Сулим-паччахьо. Оцу пачхьалкхаша Сулим-паччахь дӀакхалхалц массо а тайпана сурсаташ а, кхин долу хьал а латтадора, гӀуллакх а дора цунна.</verse>
				<verse number="22">Сулим-паччахьна а, паччахьан цӀентӀехь цунна гӀуллакх деш болчарна а, хӀора дийнахь юучунна оьшуш йолу хӀума иштта яра: бӀе шовзткъе итт гали кӀен дама а, кхо бӀе гали кхин тайпана долу дама а,</verse>
				<verse number="23">итт бустийна сту а, жа тӀера цхьа бӀе уьстагӀ а. Уьш доцург кхин а сеш, масарш, лунаш, дустийна зӀакардаьхни а дара.</verse>
				<verse number="24">Сулим-паччахьан олаллехь дара Эпрат-хина малхбузехьара агӀор болчу Тапсахь-гӀалара дуьйна Ӏази-гӀала кхаччалц долу мехкаш. Оцу Эпрат-хина сехьа агӀор долчу мехкашкара паччахьашна а тӀехь олалла деш вара Сулим-паччахь. Гонах долчу кхечу дерриг а мехкашца а машарехь Ӏаш вара Сулим-паччахь.</verse>
				<verse number="25">Иштта, ЯхӀуд-мехкан а, Исраил-мехкан а адамаш Дан-гӀалара дуьйна Беар-ШабаӀ-гӀала кхаччалц хӀора а шайн-шайн кемсийн а, инжир-диттийн а ӀиндагӀашкахь тийна-маьрша Ӏаш бара, Сулим-паччахь дийна мел ву.</verse>
				<verse number="26">Йиъ эзар гӀудалкх южу дойн керт а, шийтта эзар дин а бара Сулим-паччахьан.</verse>
				<verse number="27">Цуьнан шийтта мехкадас шеран шийтта беттан хӀора баттахь цхьаццаммо Сулим-паччахьна а, цуьнца цхьаьна шуьне охьаховшуш болчарна а оьшшург латтадора. Иштта, цара цхьа а хӀума ца оьшуьйтура цунна.</verse>
				<verse number="28">Говрашна а, кхин долу мохь тӀе буьллу дийнаташна а оьшуш йолу йол а, мукх а хӀораммо шайн-шайн рогӀехь тӀебахьара паччахьна ян езачу меттиге.</verse>
				<verse number="29">ХӀордан йистера гӀум йолччул боккха кхетам а, шортта хьекъалалла а деллера Дала Сулим-паччахьна.</verse>
				<verse number="30">Малхбалехьарчу дерриг а халкъийн а, берриг а Мисар-мехкан халкъан а хьекъалал а сов дара Сулим-паччахьан хьекъалалла.</verse>
				<verse number="31">Иза массо адамал а хьекъалдолуш вара. Сулим-паччахьан хьекъалалла Ӏезарахьахо волчу Этанан а, Махьалан кӀентий болчу ХӀайманан а, Калкалан а, ДардаӀан а хьекъалаллел а сов дара. Сулим-паччахьан цӀеран сийлалла хьалаяьллера гонах долчу дерриг а халкъашна юкъахь.</verse>
				<verse number="32">Сулим-паччахьо кхо эзар кица а, цхьа эзар пхи илли а аьллера.</verse>
				<verse number="33">Цо дуьйцура диттех лаьцна хаза хӀуманаш, Ливанун-махкахь долуш долчу баганан диттах лаьцна дӀаволавелла, поппарца боьттинчу пенах схьаюьйлучу бецех лаьцна а олуш. Сулим-паччахьо дуьйцура дийнатех а, олхазарех а, текхаргех а, чӀерех а лаьцна долу хӀуманаш.</verse>
				<verse number="34">Сулим-паччахьан хьекъалаллех лаьцна хезначу дуьнен чуьра массо а паччахьаша хьажийна болу, массо а къаьмнех болу нах оьхура Сулим-паччахье ладогӀа.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">Цора-гӀалин паччахь волу Хьирам Дауд-паччахь дийна волчу хенахь цуьнан доттагӀа вара. Ткъа хӀинца, Дауд-паччахьан метта цуьнан кӀант Сулим паччахьалла дарна къобалвина аьлла, шена хезча, Хьирама шен геланчаш бахийтира цунна тӀе.</verse>
				<verse number="2">ТӀаккха Сулим-паччахьо уьш юхахьовсийра, Хьирам-паччахье ала дезарг дӀа а олуш:</verse>
				<verse number="3">«Хьуна хууш ду, шен Везачу Делан цӀе язъян лерина долу цӀа дӀахӀоттадойла ца хилира сан ден Даудан. ХӀунда аьлча цуьнан тӀом бан дийзира гобаьккхина долчу халкъашца, Везачу Эло, толам а баккхийтина, мостагӀий когаш кӀел охьабахккалц.</verse>
				<verse number="4">Ткъа хӀинца сан Везачу Дала синтем белла суна массо а агӀор. ХӀинца бац я мостагӀий, я кхин дуьхьало ян а хӀумма дац.</verse>
				<verse number="5">Иштта, хӀинца сайн Везачу Делан цӀе язъян лерина долу цӀа дан сацам бира ас, Везачу Эло сан дега Дауде ма-аллара. Везачу Эло цуьнга аьллера: „Аса хьан метта паччахьан гӀанта тӀе охьахаор волчу хьан кӀанта дӀахӀоттор ду Сан цӀе язъян лерина долу цӀа“.</verse>
				<verse number="6">Ткъа ахьа омра дехьа, Ливанун-махкара баганан дитташ суна хедадайта. Сан ялхоша хьан ялхошца цхьаьна болх бийр бу. Ткъа аса ахьа хӀоттор боллу мах дӀалур бу хьан ялхоша бийр болчу балхах, хӀунда аьлча тхан бац шун цӀаданхой санна болу дика дечиг-пхьераш».</verse>
				<verse number="7">Хьирам-паччахьо, шена Сулим-паччахьан и дешнаш хезча, чӀогӀа хаза а хетта, элира: «Баркалла ду Везачу Элана, Цо Даудана иштта хьекъал долуш кӀант валарна, оцу сийлахьчу халкъана тӀехь цуьнга олалла дайтархьама!»</verse>
				<verse number="8">ТӀаккха Хьирам-паччахьо ялхой бахийтира Сулим-паччахье дӀаала: «Аса ладуьйгӀира ахьа дечу дехаре. И хьан диттех лаьцна болу лаам ас кхочушбийр бу. Баганан дитташ а, зоьзан дитташ а доуьйтур ду ас хьуна.</verse>
				<verse number="9">Сан ялхоша, Ливанун-махкара дӀа а даьхьна, хӀордана тӀе дахьар ду уьш, цигара дӀа ас бурамашца кхачадойтур ду уьш кхачо деззачу меттиге, цигахь тӀекӀел а дохкуш. ТӀаккха аша уьш цигара схьаоьцур ду. Амма ахьа а кхочушбе сан лаам, сан цӀенна оьшуш болу кхача боуьйтуш».</verse>
				<verse number="10">Иштта Хьирам-паччахьо, шега Сулим-паччахьо ма-деххара, баганан дечиг а, зоьзан дечиг а латтайора.</verse>
				<verse number="11">Ткъа Сулим-паччахьо бӀе эзар гали кӀа а, цхьа эзар биъ бӀе чами тоьлла долу зайтдаьтта а дохьуьйтура хӀора шарахь Хьирам-паччахьан цӀахь мел волчунна.</verse>
				<verse number="12">Ша лур ду ма-аллара, Везачу Эло хьекъал деллера Сулим-паччахьна. Иштта машар бара Хьирам-паччахьна а, Сулим-паччахьна а юкъахь. Цара вовшашна юкъахь барт бира.</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха Сулим-паччахьо Исраил-мехкан дерриг а халкъана тӀедожийра ткъе итт эзар стаг белхаш байта гулвар.</verse>
				<verse number="14">ТӀаккха уьш хийца а хуьйцуш, итт-итт эзар хӀора баттахь Ливанун-махка болх бан бохуьйтура. Цара цхьана баттахь болх бора, ткъа шина баттахь уьш цӀахь Ӏара. Адунурама куьйгалла дора царна тӀехь.</verse>
				<verse number="15">Кхин кхузткъе итт эзар стаг деза кира лелош а, везткъа эзар стаг лаьмнашкахь тӀулг боккхуш а вара Сулим-паччахьан.</verse>
				<verse number="16">Уьш боцурш кхин а кхо эзар кхо бӀе хьаькам вара оцу белхаш бечу нахана тӀе хӀоттийна, царна а, цара бечу балхана а тӀехьожуш.</verse>
				<verse number="17">Даккхий деза тӀулгаш доуьйтура Сулим-паччахьо, тӀаккха уьш тӀулган говзанчашка нисдойтура, Везачу Элан цӀе язъян лерина долчу цӀийнан бух боттийтархьама.</verse>
				<verse number="18">И дитташ а, тӀулгаш а хьакха а хьокхуш, кечдеш бара Сулим-паччахьан а, Хьирам-паччахьан а белхалой а, Гебал-гӀалара пхьераш а. Кхаа шарахь кечдира цара уьш, Делан цӀа дӀахӀотторхьама.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="6">
				<verse number="1">Исраилан халкъ Мисар-махкара схьадирзина диъ бӀе дезткъа шо даьлча, Везачу Элан цӀа дан долийра Сулим-паччахьо. Иза дара Сулим Исраил-мехкан паччахь хӀоьттина доьалгӀа шо долуш, Зив олучу шеран шолгӀачу баттахь.</verse>
				<verse number="2">Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀе язъян дечу цӀийнан дахалла кхузткъа дол, шоралла ткъа дол, лакхалла ткъе итт дол барам бара.</verse>
				<verse number="3">ЦӀенна хьалха йина уче яра. Иза цӀийнан дохалле а, шоралле а терра ткъа дол еха а, итт дол шуьйра а яра.</verse>
				<verse number="4">ЦӀенна чохь кораш динера, уьш, чекх са а гуш, шу а болуш, къевлина дара.</verse>
				<verse number="5">ЦӀенна тӀехиттина гӀишлош йира. Чухулара езачу чоьнна гонах а йолуш, агӀонаш тӀехь гобаьккхина яра оцу гӀишлойн чоьнаш. ГӀишлойн тӀехиттина чоьнаш лакхалла тӀекӀелйина яра, кхо гӀат а долуш.</verse>
				<verse number="6">Хьалхарчу гӀатан шоралла пхи дол, шолгӀачу гӀатан ялх дол, ткъа кхоалгӀачу гӀатан шоралла ворхӀ дол бара. Цу тӀе хоьттина йолчу гӀишлона тӀедехкина долу тӀеш Везачу Элан цӀийнан оганна чу ца диссийнера. И тӀеш оцу тӀехоьттиначу оганийн терхина тӀедехкинера.</verse>
				<verse number="7">Везачу Элан цӀа дечу хенахь, тӀулгаш, лаьттах шаьш схьадохучу меттехь кеч а дой, схьадахьара. Белхалоша я жӀов етташ, я диг тухуш, я кхин долу эчиг вовшахдетташ татанаш ца дора и цӀа дечу меттигна уллохь.</verse>
				<verse number="8">Юккъерачу гӀат тӀе воьдийла цӀийнан аьтту агӀор дара. Цу чу воьдуш, горга а долуш, тӀегӀанаш дара, ткъа оцу чуьра тӀехуларчу кхоалгӀачу гӀат тӀе а цу тайппана долчу тӀегӀанашна тӀехула волура.</verse>
				<verse number="9">Цу тайппана, дина чекхдаьккхира Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀа. ЦӀенна тӀехь баганан диттийн ханнех тхов байтира Сулим-паччахьо.</verse>
				<verse number="10">ЦӀийнан лакхарчу агӀонашна тӀе хиттиначу чоьнийн лакхалла пхи дол яра. И чоьнаш цӀенна тӀехиттинера баганан диттийн ханнашца.</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха Везачу Элан дош кхечира Сулим-паччахье:</verse>
				<verse number="12">«Иштта, Сан цӀа деш ву хьо. Нагахь хьо Сан хьехамашца а лелаш, Ас билгалдаьккхинарг а деш, Сан весеташ кхочуш а деш лелахь, Ас кхочушдийр ду Айса хьан дега, Дауде, делла ваӀда.</verse>
				<verse number="13">Со хир ву Сайн исраилхошна юкъахь. Ас дуьтур дац Сайн долахь долу Исраилан халкъ».</verse>
				<verse number="14">Цу тайпана, дина чекхдаьккхира Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀа.</verse>
				<verse number="15">ЦӀенна чухула долчу пенашна тӀе лаьттара дуьйна тхов тӀе кхаччалц баганан диттийн аннаш туьйхира, ткъа цӀенкъа зоьзан диттийн аннаш туьйхира.</verse>
				<verse number="16">ЦӀийнан тӀехьа агӀор, йистера ткъа дол барамехь дӀахилош, оганаш а хӀиттийна, чоь йира, цуьнан пенех а, тхевнах а баганан диттийн ханнаш туьйхира. Иза уггар еза чоь яра.</verse>
				<verse number="17">Оцу чоьнна хьалха агӀор йолу чоь яхалла шовзткъа дол яра.</verse>
				<verse number="18">Чухула агӀор пенах тоьхначу аннашна тӀехь гӀабакхийн а, дӀаделладеллачу зезагийн а куьцехь суьрташ дара дечигна тӀехь аьгна дина. Массо а агӀор баганан ханнаш тоьхнера, ткъа тӀулг гуш а бацара.</verse>
				<verse number="19">Везачу Элаца бина барт дагабоуьйтуш долу тӀорказ чудиллархьама, йинера и уггар еза чухулара чоь.</verse>
				<verse number="20">И уггар еза чухулара чоь яхалла а, шоралла а, лакхалла а ткъа дол яра. И чоь ерриг а цӀеначу деших йира. Баганан ханнех бинчу сагӀа доккхучу кхерчана а деши диллира.</verse>
				<verse number="21">Иштта дерриг цӀа а, чохь цӀена деши а диллина, дӀахӀоттийра. Уггар езачу чухуларчу чоьнна хьалха зӀенаш ехкира, царна тӀе а деши диллира.</verse>
				<verse number="22">Дерриг цӀенна а, уггар езачу чухуларчу чоьнна а хьалха лаьтташ болчу сагӀа доккхучу кхерчана а деши диллира.</verse>
				<verse number="23">Уггар езачу чухуларчу чоьнна чохь зайт-диттийн дечигах дина шина каруб-маликан сурт дара. Церан лакхалла итт дол барамехь яра.</verse>
				<verse number="24">Хьалхарчу каруб-маликан цхьа тӀам а, шолгӀаниг а пхиппа дол барамехь бара. Цхьана тӀома тӀера, вукху тӀома тӀе кхаччалц итт дол барам бара.</verse>
				<verse number="25">Оццу барамехь а, куьцехь а дара шолгӀачу каруб-маликан сурт а.</verse>
				<verse number="26">Цхьана каруб-маликан суьртан лакхаллин барам итт дол бара, шолгӀачун а изза барам бара.</verse>
				<verse number="27">ЦӀийнан чухула йинчу сийлаллин-езачу чохь дӀахӀиттийра оцу каруб-маликийн суьрташ. Церан тӀемаш дӀасадаьржина дара. Цхьаннан тӀам цхьана пенах хьакхалора, ткъа вукхун тӀам дуьхьал болчу пенах хьакхалора. Ткъа важа чухула долу тӀемаш чоьнан юккъехь вовшех хьакхалора.</verse>
				<verse number="28">Царна тӀе а Сулим-паччахьо деши диллийтира.</verse>
				<verse number="29">Оцу цӀийнан дерриг а пенашна тӀе, чухула а, тӀехула а, гобаьккхина аьгначу тӀамаршца цу тайпана каруб-маликийн а, хурмин диттийн а, дӀаделладеллачу вастехь долчу зезагийн а суьрташ дехкира.</verse>
				<verse number="30">Шина цӀа чуьра цӀенкъа тӀе а деши диллира.</verse>
				<verse number="31">Уггар езачу чухуларчу чоьнна чу воллучохь йолу неӀарш зайт-диттан дечигах йинера, церан пхи са болу гур бара.</verse>
				<verse number="32">Оцу зайт-диттан дечигах йина йолу неӀаран шина декъа тӀехь а аьгна дина дара маликийн а, диттийн а, делладеллачу зезагийн а суьрташ. Оцу массо хӀуманна а деши диллира.</verse>
				<verse number="33">Иштта езачу чоьнна чу воллучохь а хӀоттийнера зайт-диттан дечигах йина неӀарш, ткъа церан гураш биъ са болуш бара.</verse>
				<verse number="34">Кхин ши неӀ яра зоьзан-диттан дечигах йина. Оцу шина неӀаран шишша дакъа меттахдоккхуш дара.</verse>
				<verse number="35">Царна тӀехь а даьхна каруб-маликийн а, хурмин диттийн а, делладеллачу зезагийн а суьрташ дара. Оцу суьрташна тӀе а цхьатерра аьгна деши диллира.</verse>
				<verse number="36">ТӀаккха чухулара керт дӀахӀоттийра. Иза хьаькхначу тӀулгийн кхаа могӀанах а, баганан диттийн ханнех бинчу цхьана могӀанах а йинера.</verse>
				<verse number="37">Сулим-паччахь шен дарже веанчу доьалгӀачу шарахь Зив олучу шеран шолгӀачу баттахь бух ботта болийнера Везачу Элан цӀенна.</verse>
				<verse number="38">Ткъа цхьайтталгӀачу шеран Була олучу баттахь (иза шеран борхӀалгӀа бутт бу) Везачу Элан цӀа дина чекхделира. Ша хила деззачу куьцехь дина дӀахӀоттийра иза. И цӀа Сулим-паччахьо ворхӀ шарахь дира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="7">
				<verse number="1">Шена а цӀа дайтира Сулим-паччахьо. Иза кхойтта шарахь дина чекхдаккхийтира цо.</verse>
				<verse number="2">Иштта «Ливанун-мехкан хьун» цӀе йолу паччахьан цӀа дайтира Сулим-паччахьо. Оцу цӀийнан гӀишлойн яхалла бӀе дол, шоралла шовзткъе итт дол, ткъа лакхалла ткъе итт дол яра. Цо цӀа дира баганан дечигах беа могӀарехь дӀахӀиттийначу бӀогӀамашна тӀехь. Ткъа цу бӀогӀамашна тӀехула дехкира баганан диттийн дечигах долу тӀеш.</verse>
				<verse number="3">Шовзткъе пхеа баганан диттан бӀогӀамашна тӀе пхийтта тӀай диллира моггӀара, оццу диттан дечигах тхов тиллира.</verse>
				<verse number="4">Дуьхь-дуьхьал болчу шина пенна тӀера кораш кхаа могӀарехь дара. Иштта цхьана пенан хӀора кор вукху пенах долчу корана дуьхьал дара.</verse>
				<verse number="5">Ерриг неӀарш, неӀарийн гураш еакӀов дара, ткъа кор корана дуьхьал дара кхаа могӀарехь.</verse>
				<verse number="6">Цо бӀогӀамех уче тӀейира, яхалла шовзткъе итт дол, шоралла ткъе итт дол а йолуш. Ткъа цунна хьалха бӀогӀамашна тӀехь лаба а, неӀсагӀа а дира.</verse>
				<verse number="7">Къаьстина кхин цхьа чоь яра Сулим-паччахьан, цу чохь паччахьан деза гӀант дара хӀоттийна. Оцу чоьнах «кхел еш йолу чоь» олура, хӀунда аьлча цу чохь адамашна кхел йора Сулим-паччахьо. Оцу чуьра цӀенкъа а баганан диттан аннех яра.</verse>
				<verse number="8">Сулим-паччахьан ша Ӏаш волу цӀа кхечу кертахь дара. Иза кхел еш йолчу цӀенна тӀехьа дара, оццу куьцехь дина а дара. И санна цӀа динера Сулим-паччахьо шена ялийна йолчу Мисар-мехкан пирӀунан йоӀана а.</verse>
				<verse number="9">И массо а гӀишлош дезачу тӀулгех йина яра. ТӀулгаш, шина а агӀор херхаца хеда а дина, шайн-шайн барамашкахь нисдина дара. Уьш бух тӀера дуьйна тхов тӀе кхаччалц а, арахьара дуьйна йоккхачу керта чу кхаччалц а дехкина дара.</verse>
				<verse number="10">ГӀишлойн бух буттуш, деза а, даккхий а тӀулгаш дехкинера. Цхьадерш итт дол шуьйра дара, вуьш — бархӀ дол шуьйра дара.</verse>
				<verse number="11">ТӀехула а дара нийсса хьаькхна а, шайн-шайн барамехь а долу тӀулгаш. Иштта баганан дечиган тӀеш а дара дехкина.</verse>
				<verse number="12">Хьаькхна нисдинчу тӀулгех кхо могӀа а, баганан дечигах бина цхьа могӀа а биллина, керт йинера йоккхачу кертана гонах. Иштта Везачу Элан цӀийнан чухула йолчу кертана а, учена а гонах яра цу тайпана йолу керт.</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха Цора-гӀалара Хьирам цӀе йолу стаг схьавалавайтира Сулим-паччахьо.</verse>
				<verse number="14">Иза йисина Ӏаш йолчу цхьана зудчун кӀант вара. Напталан тӀаьхьенах яра и зуда. Хьираман да цорахо вара. Хьирам ша цӀестан пхьар вара. ЦӀастанах муьлхха а хӀума ян говзалла а, похӀма а дара цуьнан. Сулим-паччахь волчу а веана, и дерриг а гӀуллакхаш кхочушдира Хьирама.</verse>
				<verse number="15">Кхин а цӀестан ши бӀогӀам бира Хьирама. ХӀора бӀогӀаман лакхалла берхӀитта дол, ткъа гобаьккхина йолу шоралла шийтта дол яра.</verse>
				<verse number="16">Оцу бӀогӀамашна тӀехула дилла цӀастанах таж доьттира Хьирама. Церан хӀораннан лакхалла пхи дол яра.</verse>
				<verse number="17">БӀогӀамашна тӀехула динчу таьжнийн куц далийнера, царна тӀе юьйцинчу зӀенех бойнан суьрташ а дина. Уьш хӀора тажана тӀехь ворхӀ-ворхӀ яра.</verse>
				<verse number="18">ТӀаккха оцу бойнна гонах бӀогӀамашна тӀехь долчу тажана тӀехула цӀастанах дина тӀедехкина ши могӀа наран стоьмаш бара. Оццу кепара а шолгӀачу бӀогӀамна тӀера тажана тӀе а дехкира уьш.</verse>
				<verse number="19">ЦӀенна хьалхарчу ученех гӀортийна дӀахӀиттийначу хазачу бӀогӀамашна тӀехь таьжнаш дара. Уьш петӀамат-зезагах тардинера, лакхалла диъ дол долуш.</verse>
				<verse number="20">Оцу шина бӀогӀам тӀехь долчу таьжнашна гонах йолчу бойнна уллохь гобаьккхина могӀанашца тӀедехкина ши бӀе наран стоьмийн куьцехь сурт дара.</verse>
				<verse number="21">Везачу Элан цӀа чу воллучохь, учехь, цӀестан ши бӀогӀам дӀахӀоттийра Хьирама. Цхьа бӀогӀам къилбехьа хӀоттийра цо, цунна «Якин» аьлла цӀе тиллира Хьирама (и цӀе «Дала дӀахӀоттор» бохучух тера ду). Ткъа важа къилбаседехьа дӀахӀоттийра. Цунах «БоӀаз» элира (иза «Делан нуьцкъалаллех дерг» бохучух тера ду).</verse>
				<verse number="22">Иштта дехкира оцу бӀогӀамашна тӀе петӀамат-зезаган куьцехь долу таьжнаш. Иштта чекхбелира Хьираман бӀогӀамаш дӀахӀотторан болх.</verse>
				<verse number="23">ТӀаккха лалийначу цӀастанах дукха боккха яй бира Хьирама. Цуьнан цхьана йистера вукху йисте кхаччалц болу барам итт дол бара. Пхи дол кӀорга а бара иза. Оцу ен го ткъе итт дол бара.</verse>
				<verse number="24">Цуьнан йистошкахула гобаьккхина шина могӀара дехкина цӀестан гӀабакхийн суьрташ дара. И суьрташ оцу енаца цхьаьна ийна дара.</verse>
				<verse number="25">И боккха цӀестан яй шийтта цӀестан старана тӀехь лаьтташ бара. Кхо цӀестан сту къилбаседехьа берзийна бара, кхин кхоъ малхбузехьа, важа кхоъ къилбехьа, бисина кхоъ малхбалехьа берзийнера. ЦӀестан яй церан баккъашна тӀе биллина бара, ткъа стерчийн тӀехьенаш ен бухан юккъехьа ерзийна яра.</verse>
				<verse number="26">Оцу ен стоммалла куьйган кераюккъалц яра, ткъа цуьнан йистош дӀаделладеллачу петӀамат-зезаган куьцехь дара. Оцу ена чу кхузткъе итт эзар чами кхоччуш хи доьдура.</verse>
				<verse number="27">ТӀаккха итт цӀестан кӀелхӀотторг йира Хьирама. Уьш, чкъургаш тӀехь а йолуш, меттахъяхалуш яра. ХӀора кӀелхӀотторган яхалла а, шоралла а диъ дол, ткъа лакхалла кхо дол яра.</verse>
				<verse number="28">И кӀелхӀотторгаш иштта йинера: церан деакӀов пенаш дара, уьш гурашна тӀе хаийнера.</verse>
				<verse number="29">Гурашна чухула долчу пенашна тӀе а, гурашна тӀе а лоьмийн а, стерчийн а, каруб-маликийн а суьрташ дехкинера. Ткъа оцу лоьмийн а, стерчийн а суьрташна лакхахула а, лахахула а цӀастанах дина дикка дӀасадаьржина долу таьжнаш дара.</verse>
				<verse number="30">ХӀора кӀелхӀотторган йиъ-йиъ чкъург а, семанаш а яра. ХӀора сонехь ена тӀехуттуш йина гӀортораш яра. Оцу гӀорторашна тӀехь цӀастанах дина тӀедиллина таьжнаш дара.</verse>
				<verse number="31">Ткъа гӀорторана тӀехула даьккхина Ӏуьрг дара, цхьа дол хиллал кӀорга а долуш. И Ӏуьрг горга дара, цуьнан гонан барам цхьа дол ах дол бара. Ӏуьргашна тӀехула аьгна даьхна суьрташ дара. КӀелхӀотторган агӀонашна тӀера пенаш, горга а доцуш, деакӀов дара.</verse>
				<verse number="32">Пенашна кӀел йиъ чкъург яра, ткъа церан семанаш гӀорторашна тӀе чӀагӀйина яра. ХӀора чкъурган гонан шоралла цхьа дол ах дол барамехь яра.</verse>
				<verse number="33">ХӀора чкъург яра гӀудалкхийн чкъургаш санна йина. Семанаш а, чкъурган хӀазарш а, чӀораш а, чкъурган милкаш а цӀастанах йина яра.</verse>
				<verse number="34">ХӀора кӀелхӀотторган беа сонехь цхьацца гӀортор яра. Ткъа хӀора гӀортор оцу кӀелхӀотторгах цхьаьна хоьттина йина яра.</verse>
				<verse number="35">КӀелхӀотторган боххьехь бина горга гу бара. Цуьнан лакхаллин барам ах дол бара, иза а тӀехӀоьттина, дийна цхьаъ болуш санна, боьттина бара кӀелхӀотторгана тӀе.</verse>
				<verse number="36">Оцу кӀелхӀотторган пенаш тӀехь а, массо а меттиг йоллучохь а каруб-маликийн а, лоьмийн а, хурманийн диттийн а, аьгна даьхна суьрташ дехкира Хьирама.</verse>
				<verse number="37">Иштта, итт кӀелхӀотторг йинера Хьирама. Уьш ерриш а цӀастанах йоьттина яра, церан хӀораннан а цхьа барам а бара, цхьа кеп а яра.</verse>
				<verse number="38">ТӀаккха цӀестан итт юьхь-куьг дуьлург йира Хьирама, уьш хӀора а диъ дол барамехь яра. ХӀора юьхь-куьг дуьлургана чу биъ бӀе чами хи доьдура. Уьш оцу йина дӀахӀоттийна йолчу итт кӀелхӀотторгна тӀе йиллира.</verse>
				<verse number="39">Пхи кӀелхӀотторг къилбехьа агӀор, ткъа важа пхиъ къилбаседехьа, аьрру агӀор дӀахӀоттийра Хьирама. Везачу Элан цӀийнан къилба-малхбалехьа агӀор дӀахӀоттийра цо чохь хи долу и боккха цӀестан яй.</verse>
				<verse number="40">Иштта Хьирама кхин а дира тесаш, кегий белаш, кегий кедаш. ТӀаккха чекхбехира Хьирама Везачу Элан цӀийнан кертахь Сулим-паччахьна беш болу берриг а белхаш.</verse>
				<verse number="41">Иштта ши бӀогӀам а буьйгӀира Хьирама, царна гонах таьжнийн ши го а бира. ТӀаккха оцу таьжнийн суьрташ тӀедехкина долчу бӀогӀамийн боххьехь бойнан ши сурт диллира цо.</verse>
				<verse number="42">Оцу бойнан шина суьрта тӀе диъ бӀе цӀестан нар-стоьмаш дира Хьирама. И стоьмаш оцу бӀогӀамашна тӀе дехкинчу таьжнашна тӀерачу бойнийн суьрташ тӀе дехкира шишша могӀа.</verse>
				<verse number="43">Иштта йира цо итт юьхь-куьг дуьлург, шайна бухахь итт кӀелхӀотторг а йолуш.</verse>
				<verse number="44">Хи чудотта цхьа цӀестан яй, цунна бухара шийтта цӀестан сту а,</verse>
				<verse number="45">тесаш а, белаш а, кедаш а дира Хьирама. Везачу Элан цӀийнан кертахь мел йина хӀума а, заьнгала динчу цӀастанах йинера цо Сулим-паччахьна.</verse>
				<verse number="46">И дерриг а хӀума Йордан-хин йистехь, сацкъаран латта тӀехь йоттийтира Сулим-паччахьо. Иза дара Сакхат а, ЦӀартан а олучу меттигашна юккъехь.</verse>
				<verse number="47">И ерриг хӀума а Сулим-паччахьо шен-шен метте дӀахӀоттаяйтира. И хӀуманаш тӀех дукха хиларна, уьш еш дайчина цӀастанан барам буста а ца лора.</verse>
				<verse number="48">Цу тайпана деших массо а хӀума а яйтинера Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀенна. Уьш яра: хаза хьожа йоуьйту хӀума яго дашо кхерч, Далла лерина бепиг тӀедуьллуш йолу дашо стол;</verse>
				<verse number="49">цӀеначу деших боьттина болу стогарш (пхиъ аьтту агӀор, важа пхиъ оцу уггар езачу чухуларчу чоьнна аьрру агӀор хӀиттийна йолу), зезагийн суьрташ, чӀурам хӀотторгаш, морзахаш,</verse>
				<verse number="50">бошхепаш, тукарш, боганаш, хаза хьожа йогӀу хӀума чу юьллуш долу кедаш, богуш болу кӀора дӀасабахьа нойш цӀеначу деших дина еш; уггар езачу чоьнан чуьра неӀарийн а, Делан цӀийнан вукху неӀарийн а кӀажаш, деших дина долу.</verse>
				<verse number="51">Иштта чекхбаьккхира Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀенна шена бан лиъна болу берриг белхаш. Шен дас, Дауда, Везачу Элана лерина лелош хилла мел йолу сийлаллин-еза хӀуманаш цу цӀа чу ехкира Сулим-паччахьо. Везачу Элан цӀийнан хазни чу деши а, дети а, кхин йолу хӀуманаш а дӀаелира Сулим-паччахьо.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="8">
				<verse number="1">Цул тӀаьхьа Исраилан халкъан къаной а, исраилхойн тайпанийн а, гаранийн а, доьзалийн а берриг а баьччанаш, ша Ӏаш волчу Ярушалайм-гӀала шена тӀекхайкхира Сулим-паччахьо, хьалха Цийон цӀе йолуш хиллачу Даудан гӀалара Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ схьадаийтархьама.</verse>
				<verse number="2">Иштта Этаним олучу шеран ворхӀалгӀачу беттан дезачу деношкахь дерриг а Исраилан халкъ Сулим-паччахь волчу гулделира.</verse>
				<verse number="3">Исраилхойн массо а къаной цига баьхкича, динан дайша бертан тӀорказ схьаийцира.</verse>
				<verse number="4">Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ а, гуламан четар а, цу чохь мел хиллачу сийлаллин-езачу хӀуманашца, схьа а эцна, дӀадаьхьира динан дайша а, левихоша а.</verse>
				<verse number="5">Ткъа Сулим-паччахь а, цуьнца цхьаьна иза волчу гулделла Исраил-мехкан дерриг халкъ а оцу дезачу тӀорказна хьалха бара. Цара Далла лерина дийнатийн сагӀанаш дохура. Далийна бежанаш а, жа а дукха хиларна дагар а ца далора.</verse>
				<verse number="6">ТӀаккха динан дайша Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ, схьа а эцна, Делан цӀийнан чухуларчу а, уггар езачу а чоьн чохь йолчу шен метте дӀахӀоттийра, каруб-маликийн суьртийн тӀемашна кӀел.</verse>
				<verse number="7">ХӀунда аьлча оцу маликийн суьртийн тӀемаш цу тӀорказна тӀехула дӀасадаржийна дара, цундела тӀорказ а, цуьнан гӀуркхаш а дӀахьулдора цара.</verse>
				<verse number="8">И гӀуркхаш деха хиларна, церан юьхьигаш гучуйолура езачу чоьнна чуьра уггар езачу чухуларчу чоьнна хьалха агӀор. Амма арахула и юьхьигаш гуш яцара. Уьш тахханалц а лаьтташ ю цу чохь.</verse>
				<verse number="9">Оцу дезачу тӀорказ чохь, Мусас чуйиллина йолу тӀулган ши экъа йоцург, кхин хӀумма а яцара. И тӀулган экъанаш Муса-пайхамаро ехкинера, Хьариб олучу меттигехь Везачу Эло Исраилан халкъаца барт а бина, уьш Мисар-махкара арабаьхначул тӀаьхьа.</verse>
				<verse number="10">Динан дай оцу езачу чоьнна чуьра арабевлча, Везачу Элан цӀа чохь марха хӀоьттира.</verse>
				<verse number="11">И Везачу Элан цӀа Цуьнан олаллин нуьрах дузарна, кхин дӀа шайн гӀуллакх дан ца делира динан дайшка.</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха Сулим-паччахьо элира: «Везачу Эло малх кхоьллина стигалахь иза къагийта, ткъа Шен боданехь Ӏан лаам бу аьллера Цо.</verse>
				<verse number="13">Амма аса Хьуна исбаьхьа цӀа дӀахӀоттийна, Хьо цу чохь абаденналц вахийта».</verse>
				<verse number="14">Дерриг а Исраилан халкъ дара цигахь лаьтташ. Халкъехьа а вирзина, Сулим-паччахьо декъалдира и халкъ.</verse>
				<verse number="15">ТӀаккха паччахьо элира: «Декъала ву Исраилан халкъан Веза Дела, сан дена Даудана, Ша делла дош Шен куьйгаца кхочушдина Волу! Цо аьллера сан дега:</verse>
				<verse number="16">„Мисар-махкара Сайн Исраилан халкъ Айса арадаьккхичхьана дуьйна схьа, Исраилан тайпанийн мехкашкара цхьа а гӀала ца къастийра Аса, Сан цӀе язъян лерина цӀа хилийтархьама. Амма хӀинца Дауд-паччахь хаьржина Ас Сайн Исраилан халкъана тӀехь олалла дайта!“</verse>
				<verse number="17">Сан дена Даудана чӀогӀа лиира Исраилан халкъан Везачу Делан цӀе язъян лерина долу цӀа дӀахӀотто.</verse>
				<verse number="18">Амма Везачу Эло аьллера сан дега Дауде: „Суна хаьа, Сан цӀе язъян лерина долу цӀа хӀоттадан хьан чӀогӀа лаам хилар. Хьуна и лаар дика ду.</verse>
				<verse number="19">Амма хьо вац Аса и цӀа дӀахӀотто хаьржинарг. Хьох ваьлла волчу хьан кӀанта дийр ду Сан цӀе язъян лерина долу цӀа“.</verse>
				<verse number="20">Иштта Везачу Эло Ша делла дош кхочушдира. Сан ден метта Исраил-мехкан паччахьан гӀанта тӀе хиира со, хӀинца со паччахь а ву, Везачу Эло ма-аллара. Аса Исраилан халкъан Везачу Делан цӀе язъян лерина долу цӀа а дӀахӀоттийна.</verse>
				<verse number="21">Везачу Эло вайн дай Мисар-махкара арабаьхча, Ша цаьрца бина барт тӀеязбина йолу тӀулгийн экъанаш чу йохку деза тӀорказ латто меттиг кечйина аса оцу цӀа чохь».</verse>
				<verse number="22">ТӀаккха Сулим-паччахьо, сагӀа доккхучу Везачу Элан кхерчана хьалха дӀа а хӀоьттина, гулделлачу массо а Исраилан халкъана хьалха, куьйгаш стигала хьала а дахийтина,</verse>
				<verse number="23">элира: «Ва Исраилан халкъан Веза Дела, вац Хьох тера волу Дела я лакхахь стигалшкахь, я лахахь лаьтта тӀехь! Вайна юкъахь болу барт лар а беш, цунна Хьо тешаме хуьлу доггах Хьайна тӀаьхьа хӀоьттинчу Хьайн лешна.</verse>
				<verse number="24">Ахь кхочушдина Хьайн лай волчу сан дена Даудана Айхьа делла дош. Ахьа иза Хьайн багара даьккхинера, ткъа тахана Хьайн куьйгаца кхочушдина.</verse>
				<verse number="25">Ткъа хӀинца Исраилан халкъан Веза Дела, кхочушдехьа Хьайн лай волчу Дауде, сан дега, Айхьа аьлларг: „Нагахь хьан тӀаьхьенах болчара, хьо Суна хьалха ма-леллара а лелаш, шайн некъаш тешаме хиларца лардахь, даим а хьан тӀаьхьенах хир волчу цхьаццаммо паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тӀехь“.</verse>
				<verse number="26">Ткъа хӀинца, Исраилан халкъан Дела, бакъ хуьлийла Ахьа сан дена делла долу Хьан дош!</verse>
				<verse number="27">Амма, бакъдерг аьлча, Ӏойла а дуй те Дела кху Лаьттахь? Стигала а, я стигалан лакхенашка а ца тарлуш волу Хьо, хӀокху ас дӀахӀотийначу Хьан цӀа чу-м тарлойла а дац.</verse>
				<verse number="28">Делахь а, дӀахозийла Хьуна сан доӀа а, Хьан лай волчун дехар а, ва сан Веза Дела! Тергам бойла Ахьа, Хьайга тахана дехарш деш кхойкхуш волчу Хьайн лен кхайкхаман а, доӀанан а.</verse>
				<verse number="29">Аьлла-кх Ахьа: „Сан цӀе кху чохь хир ю“. Доьху Хьоьга, хьажадойла Ахьа Хьайн бӀаьргаш хӀокху цӀенна тӀе дийнахь а, буса а! ЛадугӀийла Ахьа Хьан лай волчун доӀане, иза, хӀокху меттехьа а вирзина, Хьоьга кхойкхучу хенахь.</verse>
				<verse number="30">ДӀахозийла Хьуна Хьайн лай волчун доӀа а, Хьайн Исраилан халкъан доӀанаш а, цара, хӀокху меттехьа а бирзина, Хьайга доӀа дечу хенахь. Хьо стигалшкахь Ӏаш ву, ткъа оха доьху Хьоьга, цигахь тхан доӀа дӀа а хазий, гечдехьа тхуна.</verse>
				<verse number="31">Масала, нагахь цхьа стаг вукхунна хьалха бехке а хилла, иза Хьан сагӀа доккхучу кхерчана хьалха дӀахӀоттавахь, хӀокху Хьан цӀа чохь, ша бехке вац аьлла, цуьнга дуй баийта тарло.</verse>
				<verse number="32">ТӀаккха стигалахь волчу Ахьа дӀахазий, кхел ехьа Хьайн лешна тӀехь, бехке верг бехке озош, царах даьлларг церан шайн кортошна тӀе а дожош. Ткъа бехке воцург бехказаваккхахьа, цуьнан бакъ хиларца терра цунна доггӀург а деш.</verse>
				<verse number="33">Масала, Хьан Исраилан халкъ, Хьуна хьалха къилахь хиларна, мостагӀчо иза эшор ду. Нагахь и халкъ, Хьоьга кхайкхамаш а беш, кху цӀа чохь волчу Хьоьга доӀанаш а, дехарш а деш, Хьоьгахьа дерзахь,</verse>
				<verse number="34">стигалшкахь церан доӀа дӀа а хазий, гечдехьа хӀокху Хьайн Исраилан халкъан къиношна. Айхьа хьалха церан дайшна делла долчу лаьтта тӀе уьш юхаберзабехьа.</verse>
				<verse number="35">Ткъа, масала, цара Хьуна хьалха къинош летадарна, Ахьа, стигалш дӀа а къевлина, догӀа доуьйтур дац. Амма, масала, цара, кху меттехьа а бирзина, доӀанаш а деш, Хьоьга кхайкхамаш а беш, Ахь шаьш охьатаӀийна дела, шаьш летийначу къиношна дохко а бевлла, уьш юха а Хьуна тӀеберза тарло.</verse>
				<verse number="36">ТӀаккха, доьху Хьоьга, дӀахазахьа стигалшкахь церан доӀанаш, гечдехьа Хьайн лай долчу Исраилан халкъан къиношна. Гайтахьа царна нийса некъ, даийтахьа хӀокху Хьайн лаьтта тӀе догӀа, Ахьа Хьайн халкъана тӀаьхьалонна делла хилла долчу.</verse>
				<verse number="37">Нагахь хӀокху лаьтта тӀе адамашна я мацалла тӀеягӀахь, я адамаш хӀаллакдеш цамгарш кхетахь, я, мел долу хӀума дагош, бовха мох балахь, я адамаша дийна долу дерриге ялта а мекхано диъна дӀадаккхахь, я цӀоз, я нӀаьна тӀелатахь, я шайн лаьтта тӀехь адамаш Ӏен ца дуьтуш, мостагӀа тӀегӀортахь, я муьлхха а бохам хилахь, я ун кхетахь,</verse>
				<verse number="38">тӀаккха, нагахь дерриг а Хьан Исраилан халкъана юкъара муьлххачу а адамо, шех даьллачу къиношна дохко а даьлла, кху Хьан цӀенна тӀе куьйгаш хьала а айина, Хьоьга доӀанаш а, дехарш а дахь,</verse>
				<verse number="39">доьху Хьоьга, Хьо Ӏаш волчу стигалшкахь, цуьнан доӀа дӀахазий, гечдехьа цунна, гӀо дехьа. Хьуна цхьанна хаьа-кх хӀора адаман дагахь дерг. Цундела доьху Хьоьга, хӀора стагана а доггӀург цуьнан гӀуллакхашка хьаьжжина дехьа.</verse>
				<verse number="40">Дехьа иза массо а адам Хьох кхерийтархьама, Ахьа тхан дайшна деллачу кху лаьттахь тхо мел деха.</verse>
				<verse number="41">Исраилхой а боцуш, кхин къомах долу адамаш догӀур ду Хьан цӀеран дуьхьа.</verse>
				<verse number="42">ХӀунда аьлча царна а хезар ду Хьан сийлаллин-езачу цӀарах лаьцна а, Хьан нуьцкъалаллех лаьцна а. Уьш богӀур бу, кху Хьан цӀенна тӀе а бирзина, доӀанаш дан.</verse>
				<verse number="43">ТӀаккха, доьху Хьоьга, дӀахазахьа Хьо Ӏаш волчу стигалшкахь церан доӀанаш, дехьа цара а Хьайга мел дехнарг, Лаьттахь мел долчу къаьмнашна а Хьайн цӀе йовзийтархьама а, уьш Хьайх кхерийтархьама а, Хьан Исраилан халкъ санна. ТӀаккха массо а меттигашкара, доллу халкъашна а хуур ду, ас дӀахӀоттийна хӀара цӀа Ахь-Айхьа даздина хилар.</verse>
				<verse number="44">Наггахь Ахьа Хьайн халкъе омра дийр ду, даха а гӀой, шайн мостагӀех лата аьлла. Масала, хӀокху Ахьа хаьржинчу гӀаланехьа а, Хьан цӀе язъян лерина дӀахӀоттийначу цӀенна тӀе а бирзина, цара Хьо вазвеш, Хьуна хастамаш беш, доӀанаш дахь,</verse>
				<verse number="45">доьху Хьоьга, дӀахазахьа стигалшкахь церан доӀанаш а, церан дехарш а, бакъ а бехьа уьш.</verse>
				<verse number="46">Нагахь Хьан халкъо Хьуна хьалха къинош летадахь (ткъа къа ца латош адам дан а дац), тӀаккха Ахьа, масала, царна оьгӀаз а вахана, уьш мостагӀашка эшабойтур бу. Ткъа мостагӀаша, царна йийсар а дина, генарчу я юххерчу хийрачу махка дӀабига мега уьш.</verse>
				<verse number="47">Масала, оцу шаьш йийсаре бигначу мехкашкахь Хьан халкъо, ша летийначу къиношна дохко а даьлла, Хьоьга доӀанаш дийр ду. Цу халкъо ала тарло: „Оха къа латийна, тхо нийса дацара, тхо бехке ду“.</verse>
				<verse number="48">Ткъа нагахь шаьш йийсаре дигначу оцу мостагӀийн махкахь, уьш шайн цӀеначу даггара Хьуна тӀебирзина, Ахьа шайн дайшна деллачу лаьттехьа а, Айхьа хаьржинчу гӀалехьа а, Хьан цӀе язъян ас дӀахӀотийначу Хьан цӀенна а тӀе а бирзина, цара доӀанаш дахь,</verse>
				<verse number="49">тӀаккха ас доьху Хьоьга, Хьо Ӏаш волчу стигалшкахь церан доӀанаш дӀа а хазий, бакъбехьа уьш.</verse>
				<verse number="50">Гечдехьа Хьайн халкъана цара Хьайна хьалхахь латийначу къиношна а, Хьуна хьалха цара нийса ца динчу массо хӀуманна а, ткъа уьш йийсаре бигна болу мостагӀий царна къинхетаме хилийтахьа.</verse>
				<verse number="51">ХӀунда аьлча иза Ахьа Хьайн дола даьккхина Хьан халкъ ма ду. Йогучу пешара эчиг санна долу Хьайн халкъ арадаьккхинера Ахьа Мисар-махкара.</verse>
				<verse number="52">Хуьлийла хьан лергаш а, Хьан бӀаьргаш а сема Хьайн лай волчу сан а, Хьайн Исраилан халкъан а доӀанашна, уьш Хьайга кхойкхучу хенахь даим а Хьуна дӀахазархьама.</verse>
				<verse number="53">ХӀунда аьлча Ахьа, Хьайн дола а баьхна, къастийна уьш Лаьттара массо а къаьмнашна юкъара, Ахьа Хьайн лай волчу Мусагахула ма-аллара, ва сан Хьалдолу Эла, Айхьа тхан дай Мисар-махкара арабаьхначу хенахь».</verse>
				<verse number="54">Лаьтта гора а хӀоьттина, куьйгаш стигала хьала а кховдийна, Везачу Эле доӀа деш вара Сулим-паччахь. Шен доӀа чекх а даьккхина, Везачу Элан сагӀа доккхучу кхерчана уллора дӀа а хилла,</verse>
				<verse number="55">халкъана хьалха а хӀоьттина, чӀоггӀачу озаца, гулделла долу халкъ Деле декъалдар дийхира Сулим-паччахьо.</verse>
				<verse number="56">Цо элира: «Декъал ву Веза Эла, Шен Исраилан халкъана синтем белла волу, Ша цунна дош ма-даллара. Везачу Эло Шен лай волчу Мусагахула лур ду аьллачу диканех цхьа а ца дисина кхочуш ца деш.</verse>
				<verse number="57">Хуьлийла вайн Веза Дела вайца а, Ша вайн дайшца ма-хиллара, дӀа ма воьрзийла Иза вайгахьара, ма дуьтийла Цо вай.</verse>
				<verse number="58">Доьху ас Везачу Эле вайн дегнаш Шена тӀедерзор, Цуьнан некъашца вай лелийтархьама. ТӀаккха вай кхочушдийр ду Дала вайн дайшна делла долу весеташ а, хьехамаш а, тӀедехкинарш а.</verse>
				<verse number="59">Вайн Везачу Далла даим а, дийнахь а, буса а дагахь хуьлийла хӀара сан доӀа а, сан дехарш а, Шен лай волу со а, Шен Исраилан халкъ а де дийне мел долу а бакъхилийтархьама.</verse>
				<verse number="60">Иза ду, Веза Эла бакъволу цхьа Дела вуйла а, кхин Дела воцийла а массо а къаьмнашна хаийтархьама.</verse>
				<verse number="61">Ткъа шу, адамаш, кхоччуш муьтӀахь хила деза вайн Везачу Далла. Аша Цуьнан хьехамаш кхочушбан а беза, Цуьнан весеташ, хӀинца санна, лардан а деза».</verse>
				<verse number="62">ТӀаккха паччахьо а, массо а цуьнца болчу исраилхоша а Везачу Элана сагӀа даьккхира.</verse>
				<verse number="63">Сулим-паччахьо Везачу Элана бертан сагӀина ткъе ши эзар бежана а, бӀе ткъа эзар уьстагӀ а беара. Иштта Сулим-паччахьо а, массо исраилхоша а Везачу Элан цӀа даздира.</verse>
				<verse number="64">Оццу дийнахь Везачу Элан цӀийнан кертара юккъехь йолу меттиг Далла хьалха сийлаллица язйира, цигахь дийнаташ дагоран а, кӀен а сагӀанаш дохура, бертан сагӀанан дийнатийн мохь а ягайора. ХӀунда аьлча Везачу Элан цӀенна хьалхахь лаьтташ болчу сагӀа доккхучу йоьзачу кхерчана тӀе дерриг а и сагӀанаш ца тарлора.</verse>
				<verse number="65">ТӀаккха цу дийнахь Сулим-паччахьо деза де хӀоттийра, дерриг а Исраилан халкъо даздира и де. Берриг а исраилхой гулбеллера цигахь, Хьамат цӀе йолуш долчу лаьмнийн дехьадовларан меттигера дуьйна Мисар-мехкан дозанехь долу хина тӀекхаччалц. Вайн Везачу Далла хьалха и де даздеш бара уьш ворхӀ дийнахь, цул тӀаьхьа кхин а ворхӀ дийнахь цигахь Ӏийра уьш и де даздеш. Цара даздеш даьхна денош дерриг а дейтта де дара.</verse>
				<verse number="66">Цул тӀаьхьарчу дийнахь Сулим-паччахьо халкъ дӀасахийцира. ТӀаккха, паччахь декъал а веш, шайн хӀусамашка юхадоьрзура адам. Халкъ самукъадаьлла дара, Везачу Эло шен лай волчу Дауд-паччахьна а, Шен Исраилан халкъана а дина дика хазахетта.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="9">
				<verse number="1">Иштта Сулим-паччахь Везачу Элан цӀа а, паччахьан цӀа а, шена ян мел лиъна хӀума а йина чекхвелира.</verse>
				<verse number="2">ТӀаккха юха а, ГавӀон-гӀалахь хьалха дуьхьал ма-хӀоттара, шозлагӀа а дуьхьалхӀоьттира Веза Эла Сулим-паччахьна.</verse>
				<verse number="3">Везачу Эло элира: «Суна схьахезира хьан доӀа а, хьан Соьга долу дехар а. Ахь хӀоттийна долу Сан цӀа Ас къобалдира, даим а цигахь Сайн цӀе язъяйтархьама. Ас иза Ӏалашдийр ду, даим дагахь а латтор ду.</verse>
				<verse number="4">Ткъа хьо а лела Суна хьалха, хьайн да Дауд Суна хьалха ма-леллара, дог цӀена а волуш, тешаме. Ахьа а Сан дерриг весеташ а, Сан хьехамаш а, Аса тӀедиллина гӀуллакхаш а кхочушде.</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха и дерриг ахь кхочушдахь, хьан цӀийнах цхьаъ даим а Исраил-махкана тӀехь паччахьалла деш хир ву. Иштта дош деллера Ас хьан дена Даудана: „Хьан тӀаьхьенах хир волчу цхьаццаммо даим паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тӀехь“.</verse>
				<verse number="6">Амма шу я шун тӀаьхьенах болу паччахьаш Сох дӀаберзахь, Ас шайна делла долу Сан весеташ а, Сан хьехамаш а дӀа а теттина, кхечу деланашна тӀе а дирзина, царна аша Ӏибадат дахь,</verse>
				<verse number="7">тӀаккха, Айса деллачу лаьттах а хадийна, дуьтур ду Ас Исраилан халкъ. Сайн цӀе язъяйта къобалдина долу цӀа а дӀадоккхур ду Ас. ТӀаккха, дерриге а халкъаша кицанна а, беламна а далош, дӀахӀуттур ду Исраилан халкъ.</verse>
				<verse number="8">Ткъа оцу дезачу цӀийнах лаьцна, иза сийлахь делахь а, чекх мел волучо инзарваларца а, веларца а хаттар дийр ду: „И хӀунда дина те Везачу Эло оцу махкана а, оцу Шен цӀенна а?“</verse>
				<verse number="9">ТӀаккха, царна жоп луш, наха эр ду: „Мисар-махкара шайн дай арабаьхна волу шайн Веза Дела а витина, уьш кхечу деланашна тӀаьхьа а бевлла, царна Ӏамал а еш, Ӏибадат дан болабаларна дина царна иза. Цундела Везачу Эло баийтина царна тӀе и берриг бохам“».</verse>
				<verse number="10">Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀа деш а, шен паччахьан цӀа дӀахӀоттош а ткъа шо делира.</verse>
				<verse number="11">И белхаш бечу хенахь, Цора-гӀалин паччахь волчу Хьирамна Галилай-махкара ткъа юрт совгӀатна елира Сулим-паччахьо. ХӀунда аьлча Хьирам-паччахьо баганан а, зоьзан а диттийн дечиг а латтийра, оьшшучул деши а делира Сулим-паччахьна.</verse>
				<verse number="12">Амма Сулим-паччахьо шена еллачу ярташка хьажа вахча, Хьирам-паччахьна уьш хаза ца хийтира.</verse>
				<verse number="13">«ХӀара хӀун ярташ ю ахь суна елларш, сан ваша?» — элира Хьирам-паччахьо. Цо, «Хабул» аьлла, цӀе тиллира оцу лаьттана (иза «мехала доцу латта» бохург ду). Иза тахханалц а и цӀе йолуш ду.</verse>
				<verse number="14">Хьирам-паччахьо цхьа бӀе ткъа гали деши дахьийтинера Сулим-паччахьна.</verse>
				<verse number="15">Сулим-паччахьо шен лешка Везачу Элан цӀа а, керт а дӀахӀоттаяйтира, шена паччахьан цӀа а дайтира. Милло цӀе йолу терхийн басенаш а яйтира, Ярушалаймана гонах пенаш а дӀахӀиттийра. Иштта Хьацор а, МагӀидда а, ГӀазар а цӀераш йолу гӀаланаш а дӀахӀиттийра цо.</verse>
				<verse number="16">(ПирӀун волчу Мисар-мехкан паччахьо, ГӀазар-гӀалина тӀе а гӀоьртина, иза схьаяьккхинера. ТӀаккха, и гӀала цӀергахь яга а йина, оцу гӀалахь Ӏаш болу канаӀанхой, байа а байина, Сулим-паччахьехь марехь йолчу шен йоӀана томана еллера пирӀуно и ГӀазар-гӀала.</verse>
				<verse number="17">ТӀаккха Сулим-паччахьо юха меттахӀоттийнера ГӀазар-гӀала.) Лахара Байт-Хьорон цӀе йолу гӀала а тойина дӀахӀоттийра Сулим-паччахьо.</verse>
				<verse number="18">Иштта ЯхӀуд-махкахь йолчу яьссачу аренгахь Сулим-паччахьо дӀахӀоттийра БаӀалт цӀе йолу а, Тамар цӀе йолу а гӀаланаш.</verse>
				<verse number="19">Кхин а Сулим-паччахьан долахь йолу, тӀаьхьалонна кечдина долу сурсаташ чохь латто гӀаланаш а, говраш южу гӀудалкхаш латтош йолу гӀаланаш а, дошлойн говраш чохь латто гӀишлош а, ерриг Ярушалайм-гӀалахь а, Ливанун-махкахь а, шен долахь мел долчу лаьтта тӀехь шена ян лиъна йолу массо а хӀума йина дӀахӀоттийра Сулим-паччахьо.</verse>
				<verse number="20">Исраилан халкъ доцург кхин адамаш а дара цигахь. Уьш дара эмархойн а, хьетахойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а</verse>
				<verse number="21">тӀаьхьенех дисна адамаш, исраилхоша хӀаллак ца деш дитина долу. Царах Сулим-паччахьо белхаш беш болу леш бинера. Уьш хӀинца а тахханалц леш бу.</verse>
				<verse number="22">Ткъа исраилхойх Сулим-паччахьо леш ца бора. Уьш я паччахьан тӀемалой, я тӀеман хьаькамаш, я тӀеман коьрта хьаькамаш, я гӀудалкхийн а, дошлойн а эскарш карахь долуш баьччанаш бара.</verse>
				<verse number="23">Пхи бӀе шовзткъе итт хьаькам вара Сулим-паччахьан белхашна тӀехь урхалла дан дӀахӀоттийна. Уьш белхаш беш болчарна тӀехь хьаькамаш бара.</verse>
				<verse number="24">ТӀаккха, Даудан гӀалара ара а яьлла, Сулим-паччахьо шена динчу цӀа чу елира пирӀунан йоӀ. Цул тӀаьхьа Милло цӀе йолу терхийн басенаш йина дӀахӀиттийра паччахьо.</verse>
				<verse number="25">Ша Везачу Элана дӀахӀотийначу сагӀа доккхучу кхерчан тӀехь дийнаташ дагоран сагӀанаш а, бертан сагӀанаш а дохура Сулим-паччахьо шарахь кхузза. Цу чохь хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а ягайора Сулим-паччахьо Везачу Элана хьалха. Иштта дина чекхдаьккхира Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀа.</verse>
				<verse number="26">Сулим-паччахьо хӀордкеманаш а дайтира Эдом-махкарчу Эрзийн хӀордан йистехь Эйлат цӀе йолчу гӀалина уллора Ӏецйон-ГӀебар олучу меттехь.</verse>
				<verse number="27">ХӀордах лаьцна дерг хууш болу кемалелорхой бара Хьирам-паччахьан. Уьш Сулим-паччахьан нахаца оцу хӀордкеманашна тӀехь гӀуллакх дан хьажийра Хьирам-паччахьо.</verse>
				<verse number="28">Оцу наха, Апар цӀе йолчу махка а бахана, цигара бархӀ бӀе шовзткъа пунт деши а деана, иза Сулим-паччахье дӀаделира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="10">
				<verse number="1">Шеба-махкахь йолчу зуда-паччахьна а хезира Везачу Элан сийлаллина хилла долу Сулим-паччахьан цӀе яхар. И зуда-паччахь Сулим-паччахьна тӀееара, иза чолхечу хаттаршца зерхьама.</verse>
				<verse number="2">Шеба-мехкан зуда-паччахь Ярушалайм-гӀала еара, шеца йоккха ковра а ялош. Оцу эмкалшна тӀехь доьттина дахьаш дара хаза хьожа йогӀучу бецех дина хьакхарш а, дуккха деши а, деза тӀулгаш а. Сулим-паччахь волчу а еана, шен дагахь мел долчух лаьцна къамел дира Шеба-махкара еанчу паччахьо.</verse>
				<verse number="3">Ткъа Сулим-паччахьо цо деллачу массо а хаттаршна жоп делира, цхьа а хаттар ца дисира, Сулим-паччахье жоп ца далалуш.</verse>
				<verse number="4">Шеба-махкара еанчу паччахьна гира Сулим-паччахьан хьекъал хилар а, цо дина паччахьан цӀа а.</verse>
				<verse number="5">Иштта цунна гира кхузахь боу кхача а, паччахьан уллоранаш Ӏаш болу меттиг а, ялхой оьзда хилар а, церан духар а, цо дӀахӀотто чагӀар а, Везачу Элан цӀийнан кертахь Сулим-паччахьо дохуш долу дийнаташ дагоран сагӀанаш а. И дерриг а шена гича, чӀогӀа инзаръяьллера иза.</verse>
				<verse number="6">Цо элира Сулим-паччахье: «Сайн махкахь суна хезнера хьан гӀуллакхех лаьцна а, хьан хьекъалаллех лаьцна а. Иза бакъ хилла.</verse>
				<verse number="7">Амма со тешар яцара цунах, со ян а еана, сайн бӀаьргашна иза галлалц. ХӀинца суна го, сайна гинчух ах а дийцина ца хиллийла соьга. Хьан хьекъал а, хьан хьал а соьга дийцинчул дуккха а сов ду.</verse>
				<verse number="8">Мел ирс долуш хила деза хьан адамаш. Ма ирс долуш хила беза хьан ялхой, хӀора денна хьуна гӀуллакх деш, хьан хьекъале къамел хезаш болу!</verse>
				<verse number="9">Декъала хуьлда хьан Веза Дела, хьо Исраилан халкъан паччахь ван лиъна волу. Исраилан халкъе Шен гуттаренна а болу безам хиларна Везачу Эло хьох паччахь вина, хьоьга кхел яйтархьама а, нийсо лелаяйтархьама а».</verse>
				<verse number="10">ТӀаккха цо Сулим-паччахьна цхьа бӀе ткъа гали деши а, дуккха хаза хьожа йогӀучу бецийн хьакхарш а, деза тӀулгаш а делира. Шеба-мехкан паччахьо елла хаза хьожа йогӀу хӀуманаш, Исраил-махка хьалха мел еанчарел, дуккха а сов яра.</verse>
				<verse number="11">(Хьирам-паччахьан хӀордкеманаша а Апар-махкара деши деара. Цу махкара Хьирам-паччахьо деара дуккха а цӀен дечиг а, деза тӀулгаш а.</verse>
				<verse number="12">Везачу Элан цӀенна а, паччахьан цӀенна а тӀегӀанашна тӀехула хьалаволучу хенахь, куьйгаца схьалаьцна, хьалавала аьтто беш йолу гӀортораш яйтира Сулим-паччахьо. Иштта зурманчашна оьшу мерз-пондарш а, дечиг-пондарш а дайтира паччахьо оцу дечигах. ХӀетталц цкъа а я деана а, я гина а дацара оццул долу цӀен дечиг.)</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха Сулим-паччахьо а елира Шеба-махкара еанчу паччахьна цунна еззнарг а, цо еххнарг а ша совгӀатна еллачул а сов. Цул тӀаьхьа зуда-паччахь ялхошца шен махка юхайирзира.</verse>
				<verse number="14">Сулим-паччахьна хӀора шарахь цхьа эзар кхо бӀе ткъе шийтта пунт деши дахьара.</verse>
				<verse number="15">И деши доцург, йохкаэцар лелош болчара а, совдегарша а, берриг а Ӏаьрби-махкарчу паччахьаша а, шен мехкадайша а деши дахьара Сулим-паччахьна.</verse>
				<verse number="16">ТӀаккха туьйсинчу деших дина ши бӀе доккха турс а дайтира Сулим-паччахьо. ХӀора турсана ялх бӀе шекхал туьйсина деши дахнера.</verse>
				<verse number="17">Иштта кхин а кхо бӀе кегий турсаш дайтира цо, хӀора турсана цхьа бӀе шовзткъе итт шекхал туьйсина деши а дуьллуш. Туьйсина деших дина и турсаш «Ливанун-мехкан хьун» олучу цӀенош чу дӀахӀоттийра Сулим-паччахьо.</verse>
				<verse number="18">Пийлан кӀомсарех доккха паччахьан гӀант дайтира паччахьо, цунна тӀе а цӀена деши диллира.</verse>
				<verse number="19">Оцу гӀантана тӀеваха йиллина ялх тӀегӀа яра. ГӀантан букъ туху агӀо тӀехулара горга яра. ГӀантан шина а агӀор куьйган голаш хӀотторгаш яра, царна хӀоранна уллохь дина лоьмийн суьрташ дара.</verse>
				<verse number="20">Кхин а шийтта лоьман сурт дара, оцу ялх тӀегӀанна шинна а агӀор цхьацца лаьтташ. Оцу тайпана долу паччахьан гӀант хӀетталц цхьанна а пачхьалкхехь дина дацара.</verse>
				<verse number="21">Сулим-паччахьан хьеший тӀеоьцуш лелош йолу пхьегӀаш дашо яра. «Ливанун-мехкан хьун» цӀе йолчу цӀенош чохь лаьтташ йолу кхин йолу хӀуманаш а ерриг а цӀеначу деших йина яра. Детих йина хӀумма а яцара, хӀунда аьлча Сулим-паччахь волчу заманахь детин мах чӀогӀа лахара бара.</verse>
				<verse number="22">Кхечу мехкашца йохкаэцаран гӀуллакхна вовшахтоьхна хӀордана тӀехула лелаш хинкеманаш дара паччахьан. Уьш Хьирам-паччахьан хӀордкеманашца цхьаьна лелара. ХӀора кхаа шарахь цкъа хӀордкеманаш, деши, дети, пийлан кӀомсарш, маймалш, тӀаус-олхазарш а дахьаш, юхадоьрзура.</verse>
				<verse number="23">Дуьненна чуьра массо а паччахьал а инзаре дукха хьал а, хьекъалалла а долуш вара Сулим-паччахь.</verse>
				<verse number="24">Дуьненна чуьра массо а адамна лаьара Сулим-паччахь ган, Дала цунна делла долу инзаре хьекъалалла шайна хазийтархьама.</verse>
				<verse number="25">Шо шаре мел долу дукха адам догӀура Сулим-паччахь гархьама, шаьш богӀуш цара хӀораммо а совгӀаташ дахьара: детих а, деших а йина хӀуманаш, тӀеюху бедарш, герз, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш, говраш, бӀарзанаш.</verse>
				<verse number="26">Чкъургаш йолу дойн гӀудалкхаш а, говраш а гулйинера Сулим-паччахьо. Дойн гӀудалкхаш цхьа эзар йиъ бӀе яра, шийтта эзар говр яра. Оцу говрех цхьаерш царна къастийна тойинчу меттигашкахь, ткъа кхиерш Ярушалайм-гӀалахь дӀахӀиттайора Сулим-паччахьо.</verse>
				<verse number="27">Детин барам тӀулгаш долччул дукха хилла дӀахӀоттийра цо Ярушалайм-гӀалахь. Лаьмнийн кӀажашкахь долчу диттийн барам а дезачу баганан диттийн бараме нисдина дӀахӀоттийра Сулим-паччахьо.</verse>
				<verse number="28">Ткъа говраш Мисар-махкара а, Килик цӀе йолчу махкара а ялайора Сулим-паччахьо. Паччахьан совдегарша Килик-махкахь и говраш ахчанах схьаоьцура.</verse>
				<verse number="29">Мисар-махкара яхьачу чкъургашна тӀехь йинчу дойн гӀудалкхийн мах ялх бӀе дато шекхал ахча бара, ткъа цхьана динан мах цхьа бӀе шовзткъе итт дато шекхал ахча бара. Иштта уьш массо а хьетахойн а, арамхойн а паччахьашна схьаялайора совдегарша.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="11">
				<verse number="1">Хийрачу мехкашкара зударий безара Сулим-паччахьна. ПирӀунан йоӀ йоцург, царна юкъахь бара муабахойн, Ӏамминхойн, эдомхойн, цӀаданхойн, хьетахойн йоӀарий.</verse>
				<verse number="2">Уьш бара Везачу Эло исраилхошка иштта дешнаш аьллачу оцу къаьмнех: «Аша оцу къаьмнех йолу зуда яло мегар дац, шаьш цаьрга шайн деланашна тӀаьхьа ца хӀиттадайтархьама». Амма и зударий тӀех дукха безарна, корта дӀабаханера Сулим-паччахьан.</verse>
				<verse number="3">Иштта, ворхӀ бӀе зуда а, кхо бӀе гӀарбаш-зуда а яра Сулим-паччахьан. Оцу зударша бакъболчу некъа тӀера дӀаваьккхира Сулим-паччахь.</verse>
				<verse number="4">Сулим-паччахь къанвелча, цу зударша шайн деланашкахьа дӀаверзийра иза. Цундела Сулим-паччахьан дог, шен ден Даудан ма-хиллара, шен Везачу Далла дерриг а дӀаделла дацара.</verse>
				<verse number="5">ЦӀаданхойн Ӏаштарт цӀе йолчу далла а, МилкӀом цӀе йолчу чӀогӀа боьхачу Ӏамминхойн далла а тӀевирзира Сулим-паччахь.</verse>
				<verse number="6">Иштта Везачу Элана хьалха шех зулам далийтира Сулим-паччахьо. Иза, шен да Дауд санна, кхоччуш тӀаьхьа ца хӀоьттира Везачу Элана.</verse>
				<verse number="7">ТӀаккха Сулим-паччахьо Ярушалайм-гӀалина малхбалехьа лаьттачу борзана тӀехь цӀу-деланашна Ӏамал ен меттигаш дӀахӀиттийра: муабахойн цӀунна Камошна а, Ӏамминхойн цӀунна Мулкана а. И цӀуш Далла хьалха боьха лоруш бу.</verse>
				<verse number="8">Иштта шен хийрачу мехкашкара ялийначу массо а зудчунна шайн-шайн деланашна баьрзнашна тӀехь хӀиттийначу кхерчаш тӀехь хаза хьожа йохуьйту меттигаш а, сагӀа доккху меттигаш а кечъяйтинера Сулим-паччахьо.</verse>
				<verse number="9">Веза Эла оьгӀазвахара Сулим-паччахьна, шена шозза а дуьхьал хӀоьттина волчу Исраилан халкъан Везачу Делехьара цо шен дог дӀадерзадарна.</verse>
				<verse number="10">Везачу Эло ца магийнера Сулим-паччахьна кхечу деланашна тӀаьхьахӀоттар, амма Сулим-паччахьо кхочуш ца дира Везачу Эло шега дина омра.</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха Везачу Эло элира Сулим-паччахье: «Хьо иштта леларна а, ахьа Соьца бина барт лар ца барна а, Аса хьайна бина хьехамаш ахь кхочуш ца барна а, Аса хьоьгара пачхьалкх билггала схьайоккхур ю, иза хьан уллорачарах цхьаннан кара а луш.</verse>
				<verse number="12">Амма хьан ден Даудан дуьхьа Аса иза цкъа, хӀинца хьо дийна мел ву, дийр дац. Хьан кӀентан карара дӀайоккхур ю Ас и пачхьалкх.</verse>
				<verse number="13">Ерриг а пачхьалкх йоккхур яц Ас цуьнгара схьа. Сан лай хилла волчу Даудан дуьхьа а, Айса хаьржина йолчу Ярушалайм-гӀалин дуьхьа а цхьа дакъа лур ду Ас хьан кӀантана».</verse>
				<verse number="14">ТӀаккха Везачу Эло Эдом-махкара паччахьан доьзалера волу ХӀадад, Сулим-паччахьан мостагӀа а вина, дуьхьалваьккхира цунна.</verse>
				<verse number="15">Иза иштта хилира: хьалха Дауд-паччахьо Эдом-махкаца тӀом бечу хенахь цу тӀамехь белларш дӀабохкархьама веана волчу эскаран хьаькамо Йоаба балаза бисина болу берриг а эдомхойн божарий байира.</verse>
				<verse number="16">Йоаб а, кхиболу исраилхой а ялх баттахь Ӏийра цигахь, шаьш берриг а эдомхойн божарий хӀаллакбаллалц.</verse>
				<verse number="17">Ткъа ХӀадад цу хенахь жима бер дара. Иза шен ден ялхой болчу масех эдомхочуьнца Мисар-махка дӀаведдера.</verse>
				<verse number="18">Мадани-махкара дӀа а бевлла, уьш Паран цӀе йолчу яьссачу аренга дӀабахара. ТӀаккха оцу Паранера адамаш а далош, Мисар-махкара пирӀунна тӀе баьхкира уьш. И пирӀун Мисар-мехкан паччахь вара, цо, ХӀададна Ӏан меттиг а, латта а, юург а елла, тӀеийцира иза.</verse>
				<verse number="19">ПирӀуно, ша ХӀададна чӀогӀа резахиларна, шен зудчун йиша яхийтира цуьнга маре. Паччахьан зудчун цӀе Тахьпанайса яра.</verse>
				<verse number="20">Оцу ХӀададан зуда йолчу Тахьпанайсин йишас кӀант вира цунна. Оцу кӀантана Ганубати цӀе тиллира. Тахьпанайсас и кӀант паччахьан керта валийра, иза пирӀунан берашца цуьнан кертахь Ӏаш вара.</verse>
				<verse number="21">Мисар-махкахь ша Ӏаш волуш, ХӀададна хезира, Дауд-паччахь, вала а велла, шен дайх дӀакхетта хилар а, иштта эскаран хьаькам Йоаб а велла хилар а. ТӀаккха ХӀадада элира пирӀуне: «Ахь со дӀахецахьара, сайн махка цӀа верза йиш хир яра сан».</verse>
				<verse number="22">Ткъа пирӀуно хаьттира ХӀададе: «Со волчохь хьуна хӀун ца тоьънера, хьайн махка верза хьан лаам хила?» ХӀадада жоп делира: «Дерриг а дара сан, делахь а дӀахецахьа со», — аьлла.</verse>
				<verse number="23">Кхин а цхьа мостагӀа дуьхьалваьккхира Дала Сулим-паччахьна. Иза вара ЭлидаӀан кӀант Ризун, шен олахо волчу Цоба-мехкан паччахьах ХӀадад-Ӏезарх дӀаведда волу.</verse>
				<verse number="24">Дауд-паччахьо ХӀададӀезар-паччахьна тӀехь толам баьккхича, шена гонах адамаш а гулдина, оцу жимачу эскаран хьаькам хилира ЭлидаӀан кӀант Ризун. Уьш Дамасакх-гӀала бахара, цигахь а бисина, паччахьаша санна, олалла дора цара.</verse>
				<verse number="25">Даим, Сулим-паччахь дийна мел ву, Исраил-мехкан мостагӀа вара Ризун. ХӀадада динчу зуламашна иза а тӀекхийтира. Ткъа Ризуна, арамхойн паччахь а хилла, Исраил-махкана зулам дора.</verse>
				<verse number="26">НабатӀан кӀант ЯрбаӀам а велира Сулим-паччахьна дуьхьал. ЦӀарда-юьртара эпраймхо волу ЯрбаӀам Сулим-паччахьан ялхо вара. Цуьнан нана ЦаруӀат йисина Ӏаш яра.</verse>
				<verse number="27">Ткъа хӀара ду ЯрбаӀам Сулим-паччахьна дуьхьалваларх лаьцна дийцар. Сулим-паччахьо Милло цӀе йолу терхийн басенаш меттахӀоттаяйтинера. Иштта шен ден Даудан гӀалина гонах долу пенаш а тодойтуш хилла иза.</verse>
				<verse number="28">ЯрбаӀам онда стаг вара. Цо болх бечу хенахь Сулим-паччахьна гира цу къонахчунна шен болх дика бан хаар. ТӀаккха Сулим-паччахьо Юсупан тайпанах болчеран махкахь болх беш болчу массарна а тӀехь хьаькам хӀоттийнера ЯрбаӀам.</verse>
				<verse number="29">Цхьана дийнахь ЯрбаӀам Ярушалайм-гӀалара араваьлла вогӀуш вара. Новкъахь цунна шилунхо волу, АхьъяхӀу цӀе йолу цхьа пайхамар дуьхьалкхийтира. Ткъа оцу аренгахь уьш шаьш бара.</verse>
				<verse number="30">ТӀаккха АхьъяхӀус, шена тӀера цӀена бедар схьа а яьккхина, иза шийтта декъе йийкъира.</verse>
				<verse number="31">Цул тӀаьхьа АхьъяхӀус ЯрбаӀаме элира: «Схьаэца хьайна царах итт дакъа. ХӀунда аьлча иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: „Ас, екъа а екъна, схьайоккхур ю Сулим-паччахьан карара пачхьалкх. Хьуна цунах итт дакъа дӀалур ду Ас.</verse>
				<verse number="32">Амма цхьа дакъа Сулиман карахь дуьтур ду Ас, Сайн лай волчу Даудан дуьхьа а, Исраил-мехкан юкъара Айса хаьржина йолчу Ярушалайм-гӀалин дуьхьа а.</verse>
				<verse number="33">Иза Ас дийр ду, Сулим-паччахь, Ас бохучунна тӀера дӀа а ваьлла, цӀаданхойн цӀу-далла Ӏаштартана а, муабахойн цӀу-далла Камошна а, Ӏамминхойн цӀу-далла МилкӀомна а Ӏибадат дан волавелла дела. Иза, Сан некъа тӀера дӀа а ваьлла, Сан хьехамаш ца лоруш, Сан весеташ кхочуш ца деш дӀахӀоьттина. Цу гӀуллакхашна тӀехь Сулим-паччахь шен дех Даудах ца тарвелира.</verse>
				<verse number="34">Амма Ас ерриг а пачхьалкх схьайоккхур яц Айса хаьржинчу Сулим-паччахьан карара. Сан весеташ а, Сан хьехамаш а лардина волчу, Ас хаьржинчу Сайн лайн Даудан дуьхьа могуьйтур ду Ас Сулимана ша велла дӀаваллалц паччахьалла дан.</verse>
				<verse number="35">Амма цуьнан кӀентан карара дӀадоккхур ду Ас и паччахьалла, ткъа хьоьга пачхьалкхан итт декъана тӀехь олалла дойтур ду Ас.</verse>
				<verse number="36">Сулим-паччахьан кӀанте пачхьалкхан цхьа дакъа лур ду Ас олалла дан, и латта Сайн лен Даудан карахь хилийта а, Аса Сайн цӀе язъяйта хаьржина йолчу Ярушалайм-гӀалахь Сайна хьалха цуьнан тӀаьхьенах волчуьнга олалла дайта а.</verse>
				<verse number="37">Ас хӀинца хоржу хьо, ткъа тӀаьхьа ахьа олалла дийр ду хьайн дагна лиъначу хӀуманна тӀехь. Хьо хир ву Исраил-мехкан паччахь.</verse>
				<verse number="38">Нагахь Ас омра мел динарг ахь кхочуш а дахь, хьо Суна тӀаьхьа а хӀоттахь, ахь Сан хьехамаш а, Сан весеташ а лардахь, Сан лай волчу Дауда лар ма-дарра, тӀаккха Со хир ву хьоьца. Ас чӀагӀдийр ду хьан цӀа. Хьан цӀийнах паччахьийн цӀа дийр ду Ас, Айса Даудана ма-дарра, Исраилан халкъ Ас хьоьга дӀалур ду.</verse>
				<verse number="39">Ас охьатаӀор ю Даудан тӀаьхье, Сулим-паччахьо иштаниг шегара далийтарна, амма иза гуттаренна а дийр дац, цхьана ханна бен“».</verse>
				<verse number="40">Ткъа Сулим-паччахь ЯрбаӀам вийна дӀаваккха лууш вара. ТӀаккха ЯрбаӀам Мисар-махка дӀаведира. Иза, Мисар-мехкан паччахь волчу Шушакхана тӀе а вахана, Сулим-паччахь дӀакхалххалц Мисар-махкахь Ӏийра.</verse>
				<verse number="41">Сулим-паччахьо динчу хӀуманех лаьцна — цо мел динчух а, цуьнан хьекъалаллех а лаьцна — яздина ду Сулим-паччахьан гӀуллакхех долчу тептар тӀехь.</verse>
				<verse number="42">Сулим-паччахьо Ярушалаймехь берриг а Исраил-махкана тӀехь шовзткъа шарахь паччахьалла дира.</verse>
				<verse number="43">ТӀаккха Сулим-паччахь, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза шен ден Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Сулиман метта паччахь хилира цуьнан кӀант РахьбуӀам.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="12">
				<verse number="1">РахьбуӀам Шехем-гӀала дӀавахара, хӀунда аьлча берриге а исраилхой цига дӀабаханера, иза паччахь дӀахӀотторхьама.</verse>
				<verse number="2">Шена иза дӀахезча, НабатӀан кӀант ЯрбаӀам Мисар-махкахь висира. Цигахь иза Сулим-паччахьах ведда ваххарх Ӏаш вара.</verse>
				<verse number="3">Амма цара, ЯрбаӀамна тӀе нах а бахийтина, цуьнга юхаверзар дийхира. ТӀаккха ЯрбаӀам а, массо исраилхой а РахьбуӀам волчу дӀабахча, халкъо цуьнга элира:</verse>
				<verse number="4">«Хьан дас тхан коча деза дукъ диллира. Цо тхоьга дайтина къиза гӀуллакхаш а, тхан коча диллина деза дукъ а ахь хӀинца дайдехьа. ТӀаккха оха хьуна хьалхара гӀуллакх дийр дара».</verse>
				<verse number="5">РахьбуӀама элира: «Кхо де даьлча юхадуьйла суна тӀе, аса жоп лур ду шуна». Халкъ дӀадахара.</verse>
				<verse number="6">РахьбуӀам-паччахь къанойх дагавелира. Оцу къаноша цуьнан дена Сулимна хьехамчаша санна гӀуллакх дора иза дийна волчу хенахь. РахьбуӀама хаьттира цаьрга: «Аса оцу халкъе хӀун аьлча бакъахь хета шуна?» — аьлла.</verse>
				<verse number="7">Къаноша цуьнга жоп делира: «Нагахь, таханлерчу дийнахь хьо оцу халкъана ялхо а хилла, ахьа царна гӀуллакх а дахь, цаьрца ахьа эсала къамел а дахь, уьш массо а хенахь хьуна ялхой хилла лелар бу».</verse>
				<verse number="8">Амма шега къаноша бина хьехам РахьбуӀама дӀатеттира. Шеца кхиъна болчу а, шена гӀуллакх деш болчу а кегийрхойх дагавелира иза.</verse>
				<verse number="9">Цо кегийрхошка хаьттира: «Аса хӀун жоп дала деза аьлла хета шуна оцу нахе? Цара соьга боху: „Хьан дас тхан коча диллина деза дукъ дайдехьа“».</verse>
				<verse number="10">РахьбуӀамца цхьаьна кхиъначу кегийрхоша элира: «Хьан дас шайн коча диллина деза дукъ дайдар доьхучу оцу халкъе ахьа иштта ала: „Сан цӀазапӀелг сан ден гӀодаюкъал а стомма бу.</verse>
				<verse number="11">Сан дас шун коча деза дукъ диллинера, ткъа аса и дукъ кхин а даздийр ду. Сан дас шед еттарца таӀзар дора шуна, ткъа аса, сту лоцучу гезго къовзош санна хетадолуьйтуш, таӀзар дийр ду шуна“».</verse>
				<verse number="12">Паччахьо шайга аьлла ма-хиллара, ЯрбаӀам а, дерриг халкъ а кхозлагӀчу дийнахь РахьбуӀамна тӀедеара.</verse>
				<verse number="13">Паччахьо халкъе дера жоп делира. Къаноша шена дина хьехар дӀа а теттина,</verse>
				<verse number="14">кегийрхоша шена динчу хьехаре хьаьжжина, РахьбуӀама халкъе элира: «Сан дас шун коча деза дукъ диллинера, ткъа аса и дукъ кхин а даздийр ду. Сан дас шед еттарца таӀзар дора шуна, ткъа аса, сту лоцучу гезго къовзош санна хетадолуьйтуш, таӀзар дийр ду шуна».</verse>
				<verse number="15">Иштта паччахьо ла ца дуьйгӀира халкъо шега бохучуьнга, хӀунда аьлча иза Везачу Эло нисдинера, Ша НабатӀан кӀанте ЯрбаӀаме шилунхо волчу АхьъяхӀугахула аьлларг кхочушхилийтархьама.</verse>
				<verse number="16">Массо а исраилхоша, паччахьо шайга ла ца дугӀийла гича, паччахье элира: «Вай Даудан цӀийнах схьадевлла ма дац! Юшайн кӀентан цӀийнаца доьзна ма дац вай! Цундела шайн-шайн цӀа дерза шу, исраилхой. Даудан кӀанта ша дойла шен цӀентӀехь олалла!» Иштта исраилхой шайн-шайн цӀа дӀасабахара.</verse>
				<verse number="17">Ткъа РахьбуӀама ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь Ӏаш болчу исраилхошна тӀехь паччахьалла дира.</verse>
				<verse number="18">Цо белхалошна тӀехь хьаькам волу Адунурам вахийтира халкъана тӀе, амма исраилхоша иза, тӀе тӀулгаш кхиссина, вийра. Ткъа паччахь волу РахьбуӀам сихха гӀудалкха чу хиира, Ярушалайме дӀавадархьама.</verse>
				<verse number="19">Иштта тахханалц а Даудан цӀенна дуьхьалбевлла Ӏаш бу исраилхой.</verse>
				<verse number="20">ЯрбаӀам цӀа вирзина аьлла шайна хезча, исраилхоша, цунна тӀаьхьа нах а бахийтина, иза, гуламе схьа а кхайкхина, дерриг а Исраилан халкъана тӀехь паччахь вина дӀахӀоттийра. ЯхӀудан тайпанах берш бен ца хӀиттира Даудан цӀийнах болчарна тӀаьхьа.</verse>
				<verse number="21">РахьбуӀама, Ярушалайме схьа а веана, дерриге а ЯхӀудан цӀийнах а, Бен-Яманан тӀаьхьенах а волу цхьа бӀе везткъа эзар тоьлла тӀемало схьагулвира. Исраилан цӀийнах болчаьрца тӀом а бина, Сулим-паччахьан кӀентан РахьбуӀаман кара паччахьалла юхадерзорхьама дира цо иза.</verse>
				<verse number="22">ШамӀа-ЯхӀу цӀе йолчу Делан стаге Дала элира:</verse>
				<verse number="23">«Сулиман кӀант волчу яхӀудхойн паччахье РахьбуӀаме а, ЯхӀудан, Бен-Яманан тӀаьхьенах болчу массаьрга а, кхидолчу халкъе а дӀаала:</verse>
				<verse number="24">„Иштта боху Везачу Эло: ‘Шайн вежарий болчу исраилхошца тӀом бан ма гӀолаш. ХӀорра а шен-шен цӀа юхаверза, хӀунда аьлча и хилларг дерриг а Соьгара дара’“». Везачу Эло бохучуьнга ла а доьгӀна, уьш Цо ма-бохху юхабирзира.</verse>
				<verse number="25">ЯрбаӀама Эпрайм-лам тӀехь йолу Шехем-гӀала чӀагӀйира. Иза цу чохь ваха охьахиира. Эццара дӀа Пенуал-гӀала а вахана, иза чӀагӀйира цо.</verse>
				<verse number="26">Шен дагахь ЯрбаӀама бохура: «Паччахьалла дар юха а Даудан тӀаьхьенан карадерза там бу.</verse>
				<verse number="27">Нагахь халкъо, Ярушалайме а оьхуш, Везачу Элан цӀийнан кертахь сагӀа даккха доладахь, адамийн дегнаш юха а яхӀудхойн паччахь волчу РахьбуӀамна тӀедоьрзур ду. ТӀаккха цара со вуьйр ву».</verse>
				<verse number="28">ЯрбаӀама, ойла а йина, деших ши эса а доттийтина, халкъе элира: «ТӀех дукха ихира шу Ярушалайме. Ва Исраилан халкъ, хьо Мисар-махкара арадаьккхина хьан деланаш хӀорш бу».</verse>
				<verse number="29">Цхьа дашо эса Бетал-гӀалахь, важа — Дан-гӀалахь дӀахӀоттийра цо.</verse>
				<verse number="30">Цу гӀуллакхо халкъе къинош летадойтура. Ур-атталла Дан-гӀала а оьхура нах оцу шаьш динчу эсашна Ӏибадат дан.</verse>
				<verse number="31">Иштта гунаш тӀехь Везачу Элан а, харцделанийн а цӀенош догӀийтира ЯрбаӀама. Массо а халкъана юкъарчу нахах динан дай бина дӀахӀиттийра цо, уьш Левин тӀаьхьенах боццушехь.</verse>
				<verse number="32">Шеран борхӀалгӀачу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь ЯхӀуд-махкахь даздеш хиллачу кепара деза де билгалдаьккхира цо. Оцу дезачу дийнахь сагӀа доккхучу кхерчана тӀехь сагӀанаш дохура цо. Изза дира цо Бетал-гӀалахь а, деших ша динчу эсашна сагӀанаш а дохуш. Бетал-гӀалахь ша динчу сагӀа доккхучу гунаш тӀехь гӀуллакх деш динан дай дӀахӀиттийра цо.</verse>
				<verse number="33">Шеран борхӀалгӀачу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь, ша билгалбаьккхинчу баттахь, исраилхошна ша хӀоттийначу дезачу дийнахь, ша дӀахӀоттийначу сагӀа доккхучу кхерчана тӀе вахара иза, цигахь дийнаташ дагоран сагӀанаш дахархьама.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="13">
				<verse number="1">ЯрбаӀам-паччахь сагӀа доккхучу кхерчана тӀехь дийнаташ дагоран сагӀа даккха воллучу хенахь, Везачу Элан омрица ЯхӀуд-махкара цхьа Делан стаг Бетал-гӀала веара.</verse>
				<verse number="2">Везачу Элан омрица оцу стага сагӀа доккхучу кхерче элира: «Ва сагӀа доккху кхерч! Везачу Эло хӀара боху: „Даудан цӀийнах кӀант вер ву, Юши-ЯхӀу цӀе йолу. СагӀа доккхучу гунаш тӀехь гӀуллакх а деш, цигахь сагӀанаш доху динан дай, байа а байина, хьуна тӀехь сагӀина бахьар бу цо, хьуна тӀехь адамийн даьӀахкаш ягор ю“».</verse>
				<verse number="3">Оццу дийнахь Делан стага цхьа билгало елира, иштта дешнаш а аьлла: «И дешнаш Везачу Элера хиларан билгалонна хӀара хир ду: и лаьтташ болчу сагӀа доккхучу кхерчах, эккха а иккхина, ши дакъа хир ду, цунна тӀера чим дӀаса а баьржар бу».</verse>
				<verse number="4">Делан стага Бетал-гӀалахь сагӀа доккхучу кхерчехьа а вирзина аьлла дешнаш шена хезча, ЯрбаӀама, шен куьг дӀа а кховдош, элира: «Схьалаца иза!» ТӀаккха Делан стагехьа дӀакховдийна долу цуьнан куьг заьӀап хилира. ЯрбаӀаме шен куьг меттах а ца даккхалора.</verse>
				<verse number="5">СагӀа доккху кхерч шина декъе бекъабелира, цунна тӀера чим дӀаса а баьржира. Иза хилира Делан стага йинчу билгалонца, Везачу Эло цунна омра ма-дарра.</verse>
				<verse number="6">ЯрбаӀам-паччахьо Делан стаге элира: «Хьайн Везачу Деле суна тӀера доӀа а дай, дехахьа сан куьг тодар». Делан стага Везачу Эле дийхира. Паччахьан куьг, ша хьалха ма-хиллара, тоделла дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="7">Паччахьо Делан стаге элира: «Ахьа, соьца цӀа чу а волий, яа хӀума яа. Аса хьуна совгӀат дийр ду».</verse>
				<verse number="8">Амма Делан стага паччахье элира: «Ахьа хьайн бахамах ахдакъа суна делча а, вогӀур вац со хьоьца. Аса бепиг а дуур дац, хи а мер дац хӀокху меттехь,</verse>
				<verse number="9">хӀунда аьлча Везачу Эло тӀедиллина суна: „Бепиг а ма даалахь, хи а ма малалахь эццахь, хьо дӀаваханчу новкъахула юха а ма верзалахь“, — аьлла».</verse>
				<verse number="10">Бетал-гӀала ша схьавеанчу новкъахула а ца воьдуш, кхечу новкъахула юхавирзира иза.</verse>
				<verse number="11">Бетал-гӀалахь вехаш вара пайхамар волу цхьа къано. Оцу пайхамаран кӀенташа, бахка а баьхкина, Делан стага цу дийнахь динарг дерриг а дӀадийцира цуьнга. Иштта Делан стага паччахьна мел аьлларг дӀадийцира пайхамаран кӀенташа.</verse>
				<verse number="12">Дас хаьттира цаьрга: «Муьлхачу новкъахула дӀавахара иза?» КӀенташа шайн дена гайтира муьлхачу новкъахула дӀавахара ЯхӀуд-махкара веана волу Делан стаг.</verse>
				<verse number="13">Пайхамаро шен кӀенташка элира: «Суна вир дӀайожа». Вир дӀаюьйжира, иза цунна тӀехиира.</verse>
				<verse number="14">Пайхамар Делан стагана тӀаьхьавахара. Иза ножан диттана кӀел хиъна Ӏаш а карийна, пайхамаро цуьнга хаьттира: «Хьо вуй и ЯхӀуд-махкара веана хилла волу Делан стаг?» Вукхо элира: «Со ву».</verse>
				<verse number="15">Пайхамаро элира: «Сан цӀа чу а волий, бепиг даа хьайна».</verse>
				<verse number="16">Вукхо жоп делира: «Юха а вирзина, хьан цӀа вогӀийла дац сан. Дуур дац аса хьо волчохь бепиг а, мер дац аса кхузахь хи а,</verse>
				<verse number="17">хӀунда аьлча Везачу Элан дош ду соьга: „Эццахь бепиг а ма даалахь, хи а ма малалахь, хьо дӀаваханчу новкъахула юха а ма верзалахь“», — аьлла.</verse>
				<verse number="18">Пайхамаро элира: «Со а ву хьо санна пайхамар. Везачу Элан омрица цхьана малико соьга аьлла: „Хьайн цӀа юхаверзаве иза. Цуьнга бепиг а даийта, хи а малийта“». Амма пайхамаро аьлларг харцдерг дара.</verse>
				<verse number="19">Цо шега и аьлча, Делан стага, юха а вирзина, пайхамаран цӀахь бепиг а диира, хи а мелира.</verse>
				<verse number="20">Уьш яа хӀума юуш бохкуш, и стаг юхаверзийначу пайхамаре Везачу Элан дош кхечира.</verse>
				<verse number="21">ЯхӀуд-махкара веанчу Делан стаге пайхамаро элира: «Везачу Эло хӀара боху: „Ахьа Везачу Эло аьллачуьнга ла а ца дугӀуш, хьан Везачу Дала бохург а ца деш,</verse>
				<verse number="22">юха а вирзина, Дала хьайга ‘бепиг ма даалахь, хи ма малалахь’ аьллачу оцу меттехь ахьа бепиг а даарна, хи а маларна, хьан дакъа дайн къубба чу дуьллур дац“».</verse>
				<verse number="23">Делан стаг бепиг диъна а, хи мелла а ваьлча, пайхамаро вир дӀаюьйжира цунна.</verse>
				<verse number="24">И стаг дӀаволавелира. Иза новкъахула воьдуш, дуьхьал лом кхийтира цунна. Лоьмо и стаг цистира. Новкъахь Ӏуьллучу цуьнан докъана уллохь лом а, вир а лаьттара.</verse>
				<verse number="25">Уллохула чекхдовлучу адамашна новкъахь дӀатесна Ӏуьллу дакъа а, цунна юххехь лаьтта лом а гира. Пайхамар волу и къано вехаш волчу гӀала а бахана, оцу наха и дерриг а дӀадийцира.</verse>
				<verse number="26">И дерриг а шена дӀахезча, стаг юхаверзийначу пайхамаро элира: «Везачу Элан дашна дуьхьало йина волу Делан стаг ву иза. Везачу Эло лоьман кара дӀавелира иза. Везачу Эло цуьнга аьлла ма-хиллара, лоьмо, цеста а цестина, иза вийра».</verse>
				<verse number="27">Пайхамаро шен кӀенташка элира: «ДӀайожал суна вир». КӀенташа вир дӀаюьйжира.</verse>
				<verse number="28">Пайхамар новкъавелира. Новкъахь дӀатесна Ӏуьллу Делан стеган дакъа гира цунна. Ткъа цунна уллохь лаьтташ виррий, ломмий дара. Лоьмо дакъа а ца диънера, вир а ца цистинера.</verse>
				<verse number="29">Пайхамаро, Делан стеган дакъа схьа а эцна, иза вир тӀе а диллина, юхадеара. Пайхамар волу и къано шен гӀала юхавирзира, цуьнан дакъа дӀа а дуллуш, белхар хӀотторхьама.</verse>
				<verse number="30">Пайхамаро и дакъа шен къубба чу диллича, иза а, цуьнан кӀентий а Делан стагана боьлхура: «Маржа-яӀ, сан ваша!» — бохуш.</verse>
				<verse number="31">И стаг дӀавоьллинчул тӀаьхьа цо шен кӀенташка элира: «Со велча, и Делан стаг дӀавоьллинчу къубба чохь дӀаволла со а. Цуьнан даьӀахкашна улло сан даьӀахкаш а яхка.</verse>
				<verse number="32">ХӀунда аьлча билггал кхочуш хир ду оцу стага, шена Везачу Эло тӀе-ма-диллара, Бетал-гӀаларчу сагӀа доккхучу кхерчана дуьхьал а, Шамран-махкарчу гӀаланашкахь болчу гунашкахь лаьттачу харцделанийн цӀеношна дуьхьал а аьлларг».</verse>
				<verse number="33">И хӀума хиллачул тӀаьхьа а шен харцнекъаш тӀера дӀа ца велира ЯрбаӀам. Массо а халкъана юкъара схьа а оьций, сагӀа доккхучу гунийн динан дай дӀахӀиттабора цо. Шена дӀахӀитто мел лиънарш ЯрбаӀама къобалбора сагӀа доккхучу гунашна тӀехь динан дайша санна гӀуллакхдарна.</verse>
				<verse number="34">Оцу гӀуллакхо ЯрбаӀаман цӀентӀехь мел волчуьнга къинош летадойтура, ткъа и бахьана долуш тӀаьхьо цуьнан тӀаьхьенна бохам хилира, иза лаьтта тӀера дӀа а йоккхуш.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="14">
				<verse number="1">Цу хенахь ЯрбаӀаман кӀант Аби-ЯхӀу цомгуш хиллера.</verse>
				<verse number="2">ЯрбаӀама шен зудчуьнга элира: «Яло, хьо сан зуда юйла ца хаийта, хьайна тӀе хийцина хӀума а юхий, Шилун-гӀала гӀо. Цигахь вехаш АхьъяхӀу цӀе йолу цхьа пайхамар ву. Со хӀокху халкъан паччахь хилла дӀахӀоттор ву аьлла, хаам бинера цо.</verse>
				<verse number="3">Хьайца итт бепиг, масех хьокхам, кхаби чохь моз а хьош, и пайхамар волчу гӀо. Цо эр ду хьоьга вайн кӀантах хиндерг».</verse>
				<verse number="4">Зудчо ЯрбаӀама боххург дира. Иза, Шилун-гӀала а яхана, АхьъяхӀун цӀа еара. АхьъяхӀу са гуш вацара. ЧӀогӀа къена хиларна, цуьнан бӀаьрса дайнера.</verse>
				<verse number="5">Везачу Эло АхьъяхӀуга элира: «ЯрбаӀаман зуда ю хьуна тӀе йогӀуш, шен кӀантах хиндерг хьоьга хаттархьама. И кӀант цомгуш ву. И зуда ша ца йовзийта тӀе хийцина хӀума юьйхина хир ю». ТӀаккха Везачу Эло цуьнга элира оцу зудчуьнга ала дезарг.</verse>
				<verse number="6">ЧуйогӀучу оцу зудчун когийн тата шена хезча, АхьъяхӀус элира: «Чуйола, ЯрбаӀаман зуда. Ахьа хьайн йоцу бедар тӀе хӀунда юьйхира? Вон кхаъ бу сан хьоьга ала.</verse>
				<verse number="7">Яло, дӀа а гӀой, ЯрбаӀаме ахьа ала: „Иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: ‘Дерриге а халкъана юкъара хьо лакха а ваьккхина, Сайн Исраилан халкъан баьчча вина дӀахӀоттийра Аса.</verse>
				<verse number="8">Даудан цӀийнан паччахьалла, схьа а даьккхина, Аса хьан кара делира. Амма хьо сан ялхо волу Дауд санна вац. Дауда сан весеташ а кхочушдора, шен доггах Суна тӀаьхьа а хӀоьттира иза, Суна нийса хеташ дерг бен ца деш.</verse>
				<verse number="9">Ткъа хьо хьайл хьалха хиллачу массо а паччахьел а сов зуламаш деш хили. Со оьгӀаз а вохуьйтуш, лалийначу хӀуманах цӀуш а бина, хьайна кхин деланаш дӀахӀиттийна ахь, ткъа Со-м кхоччуш дӀатеттина ахь.</verse>
				<verse number="10">Цундела Аса ЯрбаӀаман цӀенна тӀе бохам боуьйтур бу. ЯрбаӀаман цӀентӀера хӀора боьрша стаг — чувоьллина я маьрша иза велахь а — хӀаллаквийр ву Аса. Чим ца буьтуш, ягийна кхелли санна, дамардарц дина дӀадоккхур ду Аса ЯрбаӀаман цӀа.</verse>
				<verse number="11">ЯрбаӀаман цӀийнах волу гӀали чохь велла муьлхха а стаг жӀаьлеша вуур ву. Аренгахь беллачарна стигалан олхазарша зӀок еттар ю. Иштта боху Везачу Эло!’“»</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха АхьъяхӀу-пайхамаро ЯрбаӀаман зудчуьнга элира: «Ткъа хӀинца хьайн цӀа гӀо. Ахьа гӀали чу ког боккхушехь, хьан кӀант лийр ву.</verse>
				<verse number="13">Дерриг а Исраилан халкъо белхар хӀоттор ду, тӀаккха иза дӀавуллур ву. ЯрбаӀаман доьзалх иза цхьаъ бен дӀавоьллина хир вац, хӀунда аьлча ЯрбаӀаман цӀийнах болчарна юкъахь бен цхьа а диканиг ца карийна Исраилан халкъан Везачу Далла.</verse>
				<verse number="14">Везачу Эло Исраилан халкъана тӀехь керла паччахь хӀоттор ву. Цо ЯрбаӀаман цӀа хӀаллакдийр ду. Иза кестта хир ду.</verse>
				<verse number="15">Хино лестош болу эрз санна хилла, дӀахӀоттор ду Везачу Эло Исраилан халкъ Шен таӀзарца. Ша исраилхойн дайшна деллачу токхечу лаьтта тӀера орамашца бухдоккхур ду Везачу Эло и халкъ. Оцу халкъо, Веза Эла дарвеш, шайна Ашера-далла лерина долу дечиган бӀогӀамаш дӀахӀитторна, Эпрат-хил дехьа а даьккхина, дӀасадаржор ду иза.</verse>
				<verse number="16">ЯрбаӀам-паччахьо ша летийна долу а, Исраилан халкъе летадайтина долу а къинош бахьанехь, Везачу Эло Исраилан халкъ дуьтур ду».</verse>
				<verse number="17">ЯрбаӀаман зуда, хьала а гӀаьттина, Тирца-гӀала юхайирзира. Цо шен цӀа чу ког боккхушехь, цуьнан кӀант велира.</verse>
				<verse number="18">Везачу Эло Шен ялхо волчу АхьъяхӀу-пайхамарехула ма-аллара, и кӀант дӀавоьллира, массо а исраилхоша цунна белхар хӀоттийра.</verse>
				<verse number="19">ЯрбаӀам-паччахьо динчу хӀуманех лаьцна — цо мел динчух а, цо бинчу тӀамех а, цо динчу паччахьаллех а лаьцна — яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.</verse>
				<verse number="20">ЯрбаӀама ткъе шина шарахь паччахьалла дира. ТӀаккха, дӀа а кхелхина, иза шен дайх дӀакхийтира. Цуьнан метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Надаб.</verse>
				<verse number="21">Сулим-паччахьан кӀант РахьбуӀам яхӀудхойн паччахь вара. РахьбуӀам паччахь хилла дӀахӀуттуш цуьнан шовзткъе цхьа шо дара. Везачу Эло, Шен цӀе язъяйтархьама, Исраил-мехкан гӀаланашна юкъара схьахаьржинчу Ярушалайм-гӀалахь вуьрхӀитта шарахь паччахьалла дира цо. РахьбуӀаман ненан цӀе НаӀмат яра. Иза Ӏамминхо яра.</verse>
				<verse number="22">ЯхӀудан халкъо Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш дора. Шаьш летош долчу къиношца шайн дайша чул а сов дарвора яхӀудхоша Веза Эла.</verse>
				<verse number="23">Цара шайна сагӀа доккху гунаш а, харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш а, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш а дӀахӀиттадора муьлххачу а лекхачу меттигехь а, муьлххачу а ӀиндагӀ луш долчу дитта кӀелахь а.</verse>
				<verse number="24">Оцу махкахь а бара цӀуйн дуьхьа сийсаза лелаш болу «базбина» божарий. Везачу Эло Исраилан халкъана хьалхара дӀалелхийначу наха мел лелийна дегаза гӀуллакхаш леладора яхӀудхоша а.</verse>
				<verse number="25">РахьбуӀам паччахь волу пхоьалгӀа шо долуш, Мисар-мехкан паччахь волу Шушакх Ярушалаймана тӀелетира.</verse>
				<verse number="26">Везачу Элан цӀа чуьра а, паччахьан цӀа чуьра а ерриге а еза хӀуманаш дӀаяьхьира цо. Сулим-паччахьо дайтина дашо турсаш а цхьаьна, дерриг хӀума а дӀадаьхьнера.</verse>
				<verse number="27">Церан метта РахьбуӀам-паччахьо цӀестан турсаш дайтира. Уьш паччахьан цӀийнан ков лардечу гӀаролхойн хьаькамийн караделира.</verse>
				<verse number="28">Паччахь хӀоразза а Везачу Элан цӀа чу волуш, гӀаролхоша и турсаш схьаоьцура. Цул тӀаьхьа гӀаролхойн цӀа чу шен метте охьадохкура цара уьш.</verse>
				<verse number="29">РахьбуӀаман кхидолчу гӀуллакхех а, цо мел динчух а лаьцна яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь.</verse>
				<verse number="30">РахьбуӀамна а, ЯрбаӀамна а юкъахь ца соцуш тӀом лаьттира.</verse>
				<verse number="31">ТӀаккха РахьбуӀам, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза царна уллохь Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Цуьнан ненан цӀе НаӀмат яра. Иза Ӏамминхо яра. РахьбуӀаман метта цуьнан кӀант Аби-ЯхӀу дӀахӀоьттира паччахь хилла.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="15">
				<verse number="1">НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошна тӀехь паччахьалла деш долу берхӀитталгӀа шо долуш, Аби-ЯхӀу яхӀудхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="2">Ярушалаймехь кхаа шарахь паччахьалла дира цо. Цуьнан ненан цӀе МаӀха яра. Иза Абушаламан йоӀ яра.</verse>
				<verse number="3">Аби-ЯхӀу-паччахьо а летадора хьалха шен дас летийна доллу къинош. Цуьнан ден да волу Дауд шен Везачу Далла даггара тӀевирзина вара, ткъа Аби-ЯхӀу Везачу Далла даггара тӀевирзина вацара.</verse>
				<verse number="4">Иза иштта делахь а, Даудан дуьхьа цуьнан Везачу Дала цунна Ярушалаймехь йолу тӀаьхье елира. Цул тӀаьхьа паччахь хилийтархьама, Дала цунна кӀант велира, ткъа Ярушалайм-гӀала Дала чӀагӀйира.</verse>
				<verse number="5">Везачу Дала иштта дира, хӀунда аьлча Дауда гуттара а Далла нийса хетарг лела а дора, ша мел веха а Дауд цкъа а Везачу Элан весеташ тӀера дӀа ца велира, хьетахо волчу УръяхӀуна ша динчу цхьана хӀуманна тӀехь доцург.</verse>
				<verse number="6">Аби-ЯхӀу ваьхначу ерриге а заманахь РахьбуӀамна а, ЯрбаӀамна а юкъахь тӀом лаьттира.</verse>
				<verse number="7">Аби-ЯхӀун кхидолчу гӀуллакхех а, цо мел динчух а лаьцна яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь. Аби-ЯхӀуна а, ЯрбаӀамна а юкъахь а тӀом лаьттира.</verse>
				<verse number="8">Аби-ЯхӀу, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Аби-ЯхӀун метта паччахь хилира цуьнан кӀант Аса.</verse>
				<verse number="9">ЯрбаӀама Исраил-махкахь паччахьалла ден ткъолгӀа шо долуш, яхӀудхойн паччахь хилира Аса.</verse>
				<verse number="10">Цо шовзткъе цхьана шарахь паччахьалла дира Ярушалаймехь. Цуьнан ненан цӀе МаӀха яра. Иза Абушаламан йоӀ яра.</verse>
				<verse number="11">Аса-паччахьо, ша схьаваьллачу Дауда санна, Везачу Элана нийса хеташ долу гӀуллакхаш дора.</verse>
				<verse number="12">Оцу махкара цӀуйн дуьхьа сийсаза лелаш болу «базбина» божарий дӀа а лелхийна, шен дайша вина массо а цӀу дӀаваьккхира цо.</verse>
				<verse number="13">Ур-атталла шен ден нана МаӀха а паччахьан цӀе лелорах яьккхира Асас, цо Ашера-харцдалла лерина дегаза болу бӀогӀам дӀахӀотторна. И цӀу, цеста а цистина, Кхидрун-тогӀи чохь вагийна дӀаваьккхира Аса-паччахьо.</verse>
				<verse number="14">СагӀа доккху гунаш дӀа ца дехира цо. Амма ша дийна волчу хенахь Везачу Элана тешаме вара иза.</verse>
				<verse number="15">Шен дас а, ша а Далла къобалйина йолу пхьегӀаш а, дато а, дашо а хӀуманаш а Везачу Элан цӀа чу ехкира Аса-паччахьо.</verse>
				<verse number="16">Аса-паччахьна а, исраилхойн паччахьна БаӀшина а юкъахь тӀом лаьттира цу шиммо паччахьалла динчу массо а хенахь.</verse>
				<verse number="17">Исраилхойн паччахь БаӀша ЯхӀуд-махкана тӀелетира. Цо Рама-гӀала чӀагӀйира, цхьа а Аса-паччахьан лаьтта тӀе я ара, я чу ца валийтархьама.</verse>
				<verse number="18">Везачу Элан цӀа чуьра а, паччахьан цӀера а хазнаш чохь дисина долу дерриг дети а, деши а, схьа а эцна, иза шен ялхойн кара дӀаделира Аса-паччахьо. ТӀаккха цаьрга и дерриг дети а, деши а дӀадахьийтира цо Хьезиюнан кӀентан ТӀабримунан кӀант волчу Бен-Хьадиде. Бен-Хьадид Дамасакх-гӀалахь Ӏаш волу Арам-мехкан паччахь вара. Аса-паччахьо цаьргахула хаам бира:</verse>
				<verse number="19">«Барт бойла суна а, хьуна а юкъахь, сан дена а, хьан дена а юкъахь ма-хиллара. Аса совгӀатна дети а, деши а доуьйту хьуна. Ахьа хьайна а, исраилхойн паччахь волчу БаӀшина а юкъахь болу барт бохабе, иза суна тӀегӀоьртина волчуьра дӀавалийтархьама».</verse>
				<verse number="20">Аса-паччахьо бохучуьнга ладуьйгӀира Бен-Хьадида. Цо шен тӀеман хьаькамаш бахийтира Исраил-мехкан гӀаланашна тӀелата. Бен-Хьадид-паччахьо толам баьккхира Ӏаюн а, Дан а, Абал-Байт-МаӀак а гӀаланашна а, берриг Наптал-махкана а тӀехь, шена чу Канарот-мохк а богӀуш.</verse>
				<verse number="21">И дерриг а шена хезча, БаӀша-паччахь, Рама-гӀаланах чӀагӀонан гӀап яр саца а дина, Тирца-гӀалахь ваха охьахиира.</verse>
				<verse number="22">Ткъа Аса-паччахьо берриг а ЯхӀуд-махкахула халкъе омра дора, цхьа а стаг юкъахь ца вуьтуш, массо а яхӀудхоша Рама-гӀалара тӀулгаш, дечиг арадаккха аьлла. Уьш БаӀша-паччахьо и гӀала чӀагӀъян гулдина дара. Ткъа Аса-паччахьо цаьрца Бен-Яманан ГибаӀ-гӀала а, МицӀпа-гӀала а чӀагӀйира.</verse>
				<verse number="23">Аса-паччахьо динчу кхидолчу массо а хӀуманех лаьцна — цуьнан майрачу гӀуллакхех, цо мел кхочушдинчух, цо чӀагӀъяйтинчу гӀаланех лаьцна — яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь. Ткъа Аса-паччахь къанвелча, цуьнан когех цамгар кхийтира.</verse>
				<verse number="24">ТӀаккха Аса-паччахь, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Царна уллохь иза Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Цуьнан метта паччахь хӀоьттира ЯхӀушапти.</verse>
				<verse number="25">Аса-паччахьо ЯхӀуд-махкахь олалла дечу шолгӀачу шарахь ЯрбаӀаман кӀант волу Надаб исраилхойн паччахь хилира. Надаба шина шарахь паччахьалла дира исраилхошна тӀехь.</verse>
				<verse number="26">Цо Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш дора. Шен дас лелийна некъаш цо а леладора, ткъа шен дас исраилхошка латадайтина къа цо а латадора.</verse>
				<verse number="27">Иссарханан тайпанах волчу АхьъяхӀун кӀанта БаӀшас, Надаб-паччахьна дуьхьал ямартлонца барт а бина, иза пӀелаштамхойн Габитун-гӀалахь вийра. Иза дара Надаба а, массо а исраилхоша а Габитун-гӀалина го бинчу хенахь.</verse>
				<verse number="28">ЯхӀудхойн паччахьо Асас паччахьалла ден кхоалгӀа шо долуш вийра БаӀшас Надаб-паччахь. ТӀаккха цуьнан метта паччахь хилла дӀахӀоьттира БаӀша.</verse>
				<verse number="29">БаӀшас, ша паччахь дӀа-ма-хӀоьттина, ЯрбаӀаман берриг а доьзал хӀаллакбира. ЯрбаӀаман цӀийнах цхьа а дийна ца вуьтуш, Везачу Эло Шен ялхо волчу а, шилунхо волчу а АхьъяхӀугахула аьлла ма-хиллара, уьш берриш а хӀаллакбира цо.</verse>
				<verse number="30">И дерриге а хилира, ша летийнчу къиношца а, ша Исраилан халкъе летадайтинчу къиношца а ЯрбаӀама Исраилан халкъан Веза Дела оьгӀазвахийтина дела.</verse>
				<verse number="31">Надаб-паччахьан кхидолчу гӀуллакхех а, цо мел динчух а лаьцна яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.</verse>
				<verse number="32">Аса-паччахьна а, исраилхойн паччахь волчу БаӀшина а юкъахь тӀом лаьттира цара паччахьалла динчу массо а хенахь.</verse>
				<verse number="33">Аса-паччахьо ЯхӀуд-махкахь олалла дечу кхоалгӀачу шарахь массо а исраилхошна тӀехь паччахь хилла дӀахӀоьттира АхьъяхӀун кӀант БаӀша. Тирца-гӀалахь а Ӏаш, цо исраилхошна тӀехь ткъе деа шарахь паччахьалла дира.</verse>
				<verse number="34">БаӀша-паччахьо Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш дора. Шен дас ЯрбаӀама лелийна некъаш цо а леладора, ткъа шен дас исраилхошка латадайтина къа цо а латадора.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="16">
				<verse number="1">Хьананин кӀант волчу ЯхӀу-пайхамаре Везачу Эло, БаӀша-паччахьна лерина хаам а беш, элира:</verse>
				<verse number="2">«Аса хӀумма а воцучу хьох Сайн Исраилан халкъан баьчча вира, ткъа хьо ЯрбаӀам-паччахьан новкъахула вахана, Сан Исраилан халкъ къинойх а дузуш. Цара шаьш летош долчу къиношца Со дарвина.</verse>
				<verse number="3">ХӀинца Аса дӀавоккхур ву хьо а, цуьнан цӀийнах мел верг а. НабатӀан кӀентан ЯрбаӀаман цӀенна диннарг дийр ду Аса хьан цӀенна а.</verse>
				<verse number="4">Хьан цӀийнах волу гӀалахь велларг жӀаьлеша вуур ву. Ткъа аренгахь веллачунна стигалан олхазарша зӀакарш еттар ю».</verse>
				<verse number="5">БаӀша-паччахьан кхидолчу хӀуманех лаьцна — цо мел кхочушдинчух а, цуьнан майрачу гӀуллакхех а лаьцна — яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.</verse>
				<verse number="6">БаӀша, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза Тирца-гӀалахь дӀавоьллира. БаӀшин метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Эли.</verse>
				<verse number="7">Шен иштта дешнаш аьллера Везачу Эло Хьананин кӀант волчу ЯхӀу-пайхамарехула БаӀше а, цуьнан цӀийнах болчаьрга а, цо деш долу Шена зуламе хета массо а гӀуллакхаш бахьанехь. Ша дечу гӀуллакхаш тӀехь иза ЯрбаӀаме тарваларна а, иштта, ЯрбаӀаман цӀа хӀаллакдарна а, БаӀшас Веза Эла чӀогӀа дарвора.</verse>
				<verse number="8">ЯхӀудхойн Аса-паччахьо олалла ден ткъе йолхалгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь дӀахӀоьттира БаӀшин кӀант Эли. Тирца-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо шина шарахь паччахьалла дира.</verse>
				<verse number="9">Паччахьан гӀудалкхийн ахдекъан хьаькам волчу Эли-паччахьан ялхочо Зимарис цунна дуьхьал къайлаха барт бира. Цхьана дийнахь Тирца-гӀалахь паччахьан цӀенна тӀехь хьаькам волчу Арцин цӀахь маларо вахийна Ӏаш вара Эли.</verse>
				<verse number="10">Оццу хенахь, цу цӀа чу а ваьлла, Зимарис тоьхна вийра Эли-паччахь. Иза дара Аса-паччахьо олалла ден ткъе ворхӀалгӀа шо долуш. Зимари Эли-паччахьан метта паччахь хӀоьттира.</verse>
				<verse number="11">Цо, ша паччахь а хилла, олалла дан вола-ма-велли, БаӀшин дерриг а цӀа хӀаллакдира. БаӀшин цӀийнах болчу цуьнан гергарчарна а, доттагӀашна а юкъара цхьа а боьрша стаг дийна ца витира Зимарис.</verse>
				<verse number="12">Иштта, Везачу Эло БаӀшех лаьцна ЯхӀу-пайхамарехула аьлла ма-хиллара, Зимари-паччахьо БаӀшин цӀа хӀаллакдинера.</verse>
				<verse number="13">И дерриг а хилира БаӀша-паччахьо а, цуьнан кӀанта Элис а къинош летадар бахьана долуш а, цара Исраилан халкъе а къинош летадайтар бахьанехь а. Шайн эрначу цӀушна Ӏибадат дарца Исраилан халкъан Веза Дела дарвора цара.</verse>
				<verse number="14">Эли-паччахьан кхидолчу гӀуллакхех а, цо мел динчух а лаьцна яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.</verse>
				<verse number="15">ЯхӀудхойн паччахьо Асас паччахьалла до ткъе ворхӀалгӀа шо долуш, хилира Зимарих паччахь. Цо Тирца-гӀалахь ворхӀ дийнахь паччахьалла дира. Иза дара исраилхойн эскаро пӀелаштамхойн Габитун-гӀалина го бинчу хенахь.</verse>
				<verse number="16">Зимарис паччахьна дуьхьал ямартлонца барт бина хилар а, цо паччахь вер а исраилхойн эскарна хиъча, цара массара а шайн тӀеман хьаькам волу Ӏумари оццу дийнахь цу меттехь паччахь дӀахӀоттийра.</verse>
				<verse number="17">Ӏумарис а, цуьнца цхьаьна исраилхойн дерриг эскаро а, Габитун-гӀалара дӀа а дахана, Тирца-гӀалина го бира.</verse>
				<verse number="18">Шена гӀала дӀалаьцнийла хиъча, паччахьан цӀийнан чӀагӀйинчу чухуларчу чоьн чу велира Зимари. Иза, шена тӀаьхьа паччахьан цӀийнах цӀе а тесна, велира.</verse>
				<verse number="19">Иза иштта хилира, Зимарис Везачу Элана зуламе хета гӀуллакхаш лелорна а, ЯрбаӀама летийна доллу къинош а летош, иза цуьнан некъашца леларна а. ЯрбаӀама санна, цо а къинош летадайтира Исраилан халкъе.</verse>
				<verse number="20">Зимарин кхидолчу хӀуманех — цо йина ямартло шена чу а лоцуш — яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.</verse>
				<verse number="21">Исраилан халкъ шина декъе декъаделира. Халкъан цхьа дакъа Гинатин кӀантана Тибанина тӀаьхьахӀоьттира, иза паччахь хӀотто дагахь, ткъа вуьш Ӏумарина тӀаьхьахӀиттира.</verse>
				<verse number="22">Ӏумарина тӀаьхьахӀоьттинчу халкъо толам баьккхира, Гинатин кӀантана Тибанина тӀаьхьахӀоьттина халкъ эша а деш. Тибани велира, ткъа Ӏумари паччахь дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="23">ЯхӀудхойн паччахьо Асас олалла ден ткъе цхьайтталгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилира Ӏумари. Цо шийтта шарахь паччахьалла дира. Царах ялх шарахь Тирца-гӀалахь олалла дира цо.</verse>
				<verse number="24">Ӏумарис Шамран лам ийцира Шамрера, ши гали дато ахча а делла. Оцу гу тӀехь гӀала йира Ӏумарис. Цунах Шамран-гӀала элира цо, и лам долахь хиллачу Шамрин цӀарах.</verse>
				<verse number="25">Ӏумари шел хьалха хиллачу паччахьел а тӀехвелира Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш дарна тӀехь.</verse>
				<verse number="26">Иза массо а хӀуманна тӀехь НабатӀан кӀант ЯрбаӀам лелла хиллачу новкъахула лелара, ЯрбаӀама Исраилан халкъе летадайтина къинош а летадеш. Шайн эрначу цӀушна Ӏибадат дарца Исраилан халкъан Веза Дела дарвора исраилхоша.</verse>
				<verse number="27">Ӏумари-паччахьо динчу кхидолчу хӀуманех лаьцна — цо кхочушдинчу гӀуллакхех а, цуьнан майрачу гӀуллакхех а лаьцна — яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.</verse>
				<verse number="28">Ӏумари, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза Шамран-гӀалахь дӀавоьллира. Цуьнан кӀант волу Ахьаб цуьнан метта паччахь хилла дӀахӀоьттира</verse>
				<verse number="29">ЯхӀудхойн паччахьо Асас олалла до ткъе берхӀитталгӀа шо дара, Ӏумарин кӀант Ахьаб исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттича. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, Ӏумарин кӀанта Ахьаба ткъе шина шарахь исраилхошна тӀехь олалла дира.</verse>
				<verse number="30">Ӏумарин кӀант Ахьаб шел хьалха хиллачу паччахьел а тӀехвелира Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш дарна тӀехь.</verse>
				<verse number="31">НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама летийна долу къинош ша летадар шена кӀезиг хеташ санна, цӀаданхойн паччахь волчу Эти-БаӀалан йоӀ Изабал а ялийра Ахьаба шена, БаӀал-цӀунна Ӏамал ян а, Ӏибадат дан а волавелира иза.</verse>
				<verse number="32">Шамран-гӀалахь, БаӀал-харцделан цӀа чохь, оцу цӀунна лерина сагӀа доккху кхерч хӀоттийра Ахьаба.</verse>
				<verse number="33">Иштта, Ашера-харцдалла лерина болу дечиган бӀогӀам а дӀахӀоттийра Ахьаба. Шел хьалха хиллачу исраилхойн массо паччахьел а тӀехвелира иза Исраилан халкъан Веза Дела оьгӀазвохуьйту гӀуллакхаш дарна тӀехь.</verse>
				<verse number="34">Ахьаб-паччахь волчу заманчохь Бетал-гӀаларчу Хьиала Ерихон-гӀала юхаметтахӀоттийра. Хьиала оцу гӀалин бух биллийтинчу хенахь, цуьнан воккхах волу кӀант Абирам велира. Ткъа Хьиала цу гӀалин ков дӀахӀоттийначу хенахь цуьнан жимах волу кӀант Чагуб а велира. Иза хилира Нунин кӀант волчу ЮшаӀехула Везачу Эло аьлла ма-хиллара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="17">
				<verse number="1">ГалӀад-махкарчу Тишаб-гӀалара волчу Эли-ЯхӀу-пайхамаро Ахьаб-паччахье элира: «Шена гӀуллакх деш волчу а, дийна волчу а Исраилан халкъан Везачу Делах чӀагӀо йо аса, хӀокху шерашкахь я тхи, я догӀа хир дац аьлла, аса омра даллалц».</verse>
				<verse number="2">ТӀаккха Везачу Элан дош кхечира Эли-ЯхӀуга:</verse>
				<verse number="3">«ХӀокху меттера дӀа а валий, Йордан-хина малхбалехьа долчу Карит-Ӏин чохь дӀалачкъа.</verse>
				<verse number="4">Оцу Ӏин чуьра хи мер ду ахьа. Ткъа хьуна юург латтор къигашна тӀедиллина Аса», — аьлла.</verse>
				<verse number="5">Везачу Эло шега аьлларг Эли-ЯхӀус кхочушдира. Иза, вахана, Йордан-хина малхбалехьа долчу Карит-Ӏин чохь сецира.</verse>
				<verse number="6">Къигаша бепиг а, жижиг а дохьура Эли-ЯхӀуна Ӏуьйранна а, суьйранна а. Ӏин чуьра хи а молура цо.</verse>
				<verse number="7">Цхьа хан яьллачу хенахь, догӀанаш ца дарна, оцу Ӏин чуьра хи лекъира.</verse>
				<verse number="8">Везачу Элан дош кхечира Эли-ЯхӀуга:</verse>
				<verse number="9">«ЦӀадан-гӀалин уллохь йолчу Сарпат-гӀала дӀа а гӀой, цигахь саца. Йисина Ӏаш йолчу цхьана зудчуьнга хьо, тӀе а лаций, оцу меттехь кхаба аьлла Аса».</verse>
				<verse number="10">Эли-ЯхӀу Сарпат-гӀала вахара. Иза гӀалин кевне кхаьчначу хенахь, цунна йисина Ӏаш йолу цхьа зуда гира. Иза чӀийш гулдеш яра. Эли-ЯхӀус цуьнга элира: «КӀудал чохь жимма мала хи лохьа суна».</verse>
				<verse number="11">И зуда хи дан яхача, Эли-ЯхӀус, цунна тӀаьхьа мохь а тоьхна, элира: «Баьпкан юьхк а яхьа суна!»</verse>
				<verse number="12">Оцу зудчо элира: «Дийна волчу хьан Везачу Делах чӀагӀо йо ас, сан кийча яа хӀума цахилар. Сан долуш дерг текха чохь цхьа кана дама а, кхаби чохь кӀеззиг даьтта а ду. Со хӀинца жимма чӀийш гулдеш йоллура, уьш цӀа а даьхьна, сайна а, сайн кӀантана а юург ярхьама. И йолуш ерг йиъна дӀаяьлча, тхойшиъ лийр ду-кх».</verse>
				<verse number="13">Эли-ЯхӀус оцу зудчуьнга элира: «Ма кхера, зуда, дӀа а гӀой, айхьа бохург де. Амма цкъа хьалха хьайн долуш долчух жимо совсаза хьокхам а баттий, суна схьаба, цул тӀаьхьа хьайна а, хьайн кӀантана а яа хӀума кечъе.</verse>
				<verse number="14">ХӀунда аьлча Исраилан халкъан Везачу Дала иштта боху: „Хьан текхара дама а хедар дац, кхаби чуьра даьтта а жимлур дац, Везачу Эло лаьтта догӀа даийтталц“».</verse>
				<verse number="15">Цо, дӀа а яхана, Эли-ЯхӀус боххург дира. Дуккха а деношна Эли-ЯхӀуна а, оцу зудчунна а, цуьнан кӀантана а яа хӀума тоьура.</verse>
				<verse number="16">Текхара дама а чекх ца долура, кхаби чуьра даьтта а лах ца лора, Везачу Эло Эли-ЯхӀугахула аьлла ма-хиллара.</verse>
				<verse number="17">Цул тӀаьхьа оцу йисина Ӏачу зудчун кӀант цомгуш хилира. И цамгар чӀогӀа хиларна, кӀентан садаӀар а сецнера.</verse>
				<verse number="18">Оцу зудчо Эли-ЯхӀуга элира: «Ва Делан стаг, хьан хӀун бала бу соьца? Я хьо, Далла сан къинош дага а доуьйтуш, сан кӀант вен веана ву те?»</verse>
				<verse number="19">Эли-ЯхӀус цуьнга элира: «Схьалол соьга хьайн кӀант». Цуьнан карара кӀант, схьа а эцна, оцу цӀийнан лакхарчу гӀат тӀехь долчу шен цӀа чу а вигна, ша дӀавуьжучу маьнги тӀе виллира Эли-ЯхӀус.</verse>
				<verse number="20">Цо Везачу Эле доӀа дира: «Сан Веза Дела! Со шен хӀусамехь волчу йисина Ӏаш йолчу хӀокху зудчунна а дийр ду те Ахьа зулам, цуьнан кӀант а валийтина?»</verse>
				<verse number="21">ТӀаккха Эли-ЯхӀус кхузза шен дегӀ цу кӀантана тӀедиллира. Цо доьхура: «Ва сан Веза Дела, юхадерзадехьа цу кӀентан дегӀа чу дахаран са!»</verse>
				<verse number="22">Везачу Элана дӀахезира Эли-ЯхӀун доӀа. Оцу кӀентан дахаран са юхадеара, иза денвелира.</verse>
				<verse number="23">Эли-ЯхӀус и кӀант, схьа а эцна, лакха тӀера охьавалийра. Цо, иза нене дӀа а велла, элира: «Хьажал, хьан кӀант дийна ву!»</verse>
				<verse number="24">ТӀаккха оцу зудчо Эли-ЯхӀуга элира: «ХӀинца хаьа суна хьо Делан стаг хилар а, Везачу Эло хьоьгахула бакъдерг олуш хилар а».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="18">
				<verse number="1">Лаьтта догӀа ца догӀу кхоалгӀа шо долуш, Везачу Элан дош кхечира Эли-ЯхӀуга: «Хьо, ваха а гӀой, Ахьаб-паччахьна гучувала, тӀаккха Аса догӀа доуьйтур ду лаьтта тӀе».</verse>
				<verse number="2">Эли-ЯхӀу Ахьаб-паччахьна тӀевахара. Ткъа Шамран-гӀалахь чӀогӀа мацалла хӀоьттинера.</verse>
				<verse number="3">Ахьаб-паччахьо шен паччахьан цӀенна тӀехь хьаькам волу Ӏабди-ЯхӀу шена тӀекхайкхинера. (И Ӏабди-ЯхӀу Везачу Эле чӀогӀа ларамах вуьзна волу стаг вара.</verse>
				<verse number="4">Изабала Везачу Элан пайхамараш хӀаллакбечу хенахь, Ӏабди-ЯхӀус цхьа бӀе пайхамар схьагулвира. ТӀаккха, уьш, шина декъе а бекъна, шина хьехана чохь къайлабехира. Цу чохь Ӏабди-ЯхӀус юург а, мала хи а латтадора царна.)</verse>
				<verse number="5">Ахьаб-паччахьо Ӏабди-ЯхӀуга аьллера: «Вало, махкара массо шовда а, хи а долчу меттигашкахула чекхвала вайшиъ, жимма буц карор яцара те вайна, говраш а, вирбӀарзаш а дийна йисийтархьама, бежанех цхьа а ца дайархьама».</verse>
				<verse number="6">Цу шиммо шаьш хи лохуш чекхдовла деза меттигаш билгалъехира. Цхьаъ цхьана агӀор вахара, ткъа важа вукху агӀор вахара.</verse>
				<verse number="7">Ӏабди-ЯхӀу новкъахула дӀавоьдуш, цунна Эли-ЯхӀу дуьхьалкхийтира. Ӏабди-ЯхӀуна вевзира пайхамар. Иза лаьтта кхаччалц пайхамарна хьалха охьатаьӀира. Ӏабди-ЯхӀус пайхамаре элира: «Хьо вуй те иза, сан олахо волу Эли-ЯхӀу?»</verse>
				<verse number="8">Эли-ЯхӀус жоп делира: «ХӀаъ, со ву иза. Ахьа, хьайн олахо волчу паччахьна тӀе а гӀой, цуьнга дӀаала: „Эли-ЯхӀу-пайхамар кхузахь ву“».</verse>
				<verse number="9">Ӏабди-ЯхӀус цуьнга хаьттира: «Аса хӀун вон болх бина хиллера те хьуна? Нагахь аса хьо схьавеана ву алахь, цо со вуьйр ма ву. Паччахьо со вен хӀунда лаьа хьуна?</verse>
				<verse number="10">Хьан Веза Дела дийна хилар санна бакъду-кх, цхьа а къам я цхьа а пачхьалкх ца йисина сан олахочо хьо лоьхуш нах бахийтаза. Шега хьо цигахь вац аьлча, цо чӀагӀо йойтура хьо ца караво бохучу оцу пачхьалкхе а, къоме а.</verse>
				<verse number="11">Ткъа ахьа хӀинца соьга боху: „Вало, хьайн олахочуьнга дӀаала: ‘Эли-ЯхӀу кхузахь ву’“.</verse>
				<verse number="12">Хьо волчуьра и ала со дӀаваханчу хенахь, Везачу Элан Сино суна хуур а доцучу цхьанхьа хьо дӀавига ма тарло. ТӀаккха аса Ахьаб-паччахье хьох лаьцна хаам а бича, ткъа хьо кара а ца вича, цо со вуьйр ма ву. Хьан лай волу со-х жимчохь дуьйна а Деле болчу ларамах вуьзна ма вара.</verse>
				<verse number="13">Сан эла, хьоьга ца дийцина, Изабала Везачу Элан пайхамарш бойучу хенахь, аса динчух лаьцна? Аса Везачу Элан бӀе пайхамар дӀахьулвира. Аса уьш, цхьатерра шина декъе а бекъна, шина хьехана чохь къайлабехира. Царна даа бепиг а, мала хи а латтадора аса.</verse>
				<verse number="14">Ткъа ахьа боху: „Вало, хьайн олахочуьнга Эли-ЯхӀу кхузахь ву ала. ТӀаккха цо со вуьйр ма ву“».</verse>
				<verse number="15">Эли-ЯхӀус жоп делира: «Шена гӀуллакх деш волчу массо а ницкъийн Везачу Делах чӀагӀо йо ас, со тахана, цунна тӀе а вахана, дӀахӀуттург хиларх».</verse>
				<verse number="16">Ӏабди-ЯхӀус, Ахьабана тӀе а вахана, и дерриг а дӀадийцира. Ткъа Ахьаб-паччахь Эли-ЯхӀуна тӀевахара.</verse>
				<verse number="17">Ахьаба, шена Эли-ЯхӀу гича, цуьнга хаьттира: «Хьо вуй и — Исраилан халкъе бала хьоьгуьйтург?»</verse>
				<verse number="18">Эли-ЯхӀус жоп делира: «Со вац Исраилан халкъе бала хьоьгуьйтург, ткъа хьо а, хьан ден цӀа а ду. Везачу Элан весеташ дӀа а теттина, БаӀал-харцделанашна тӀаьхьахӀиттина шу.</verse>
				<verse number="19">ХӀинца ахьа, хьайн ялхой а бахийтий, дерриг а Исраилан халкъ а, Изабала дола деш волу БаӀал-делан виъ бӀе шовзткъе итт пайхамар а, Ашера-делан виъ бӀе пайхамар а схьагулвайта Кармал-лома тӀе суна хьалха».</verse>
				<verse number="20">Ахьаб-паччахьо массо исраилхой а, и харцделанийн пайхамарш а схьагулбайтира Кармал-лам тӀе.</verse>
				<verse number="21">Эли-ЯхӀу-пайхамаро, дерриг а халкъана хьалха дӀа а хӀоьттина, элира: «Шу дукха лелар дуй те шинна а когана астагӀа лелхаш? Нагахь санна Веза Эла Дела велахь, Цунна тӀаьхьахӀитта. Ткъа Иза БаӀал велахь, цунна тӀаьхьахӀитта». Халкъо цхьа а дош ца элира цуьнга.</verse>
				<verse number="22">Эли-ЯхӀу-пайхамаро халкъе элира: «Везачу Элан пайхамарех со цхьаъ висна, ткъа БаӀалан виъ бӀе шовзткъе итт пайхамар ву.</verse>
				<verse number="23">Тхуна ши старгӀа схьаялае. Цу шиннах шайна луъург цхьаъ аша дӀаэца. Оцу старгӀина урс а хьакхий, дакъош а дей, дечигна тӀедахка, амма цунна буха цӀе ма латае. Ткъа аса, важа старгӀа кеч а йина, дечигна тӀеюьллур ю, цунна буха а цӀе латор яц.</verse>
				<verse number="24">ТӀаккха шу шайн Деле кхайкха. Ткъа со Везачу Эле кхойкхур ву. ЦӀе латаярца доӀанна жоп Делларг билггал волу Дела хир ву». Дерриг а халкъо, жоп а луш, элира: «Ахь бохург дика ду!»</verse>
				<verse number="25">БаӀалан пайхамаршка Эли-ЯхӀус элира: «Оцу шина старгӀанах цхьаъ аша хьалха схьакъастае, тӀаккха сагӀа даккха кечам бе, хӀунда аьлча шу алсам ду. Цул тӀаьхьа аша шайн Деле доӀа де, амма бежанна буха цӀе ма латае».</verse>
				<verse number="26">Шаьш схьакъастийна старгӀа кеч а йина, уьш, Ӏуьйранна дуьйна делкъахан тӀекхаччалц, БаӀал-деле кхойкхура. Цара бохура: «Ва БаӀал, дӀахазахьа тхо!» Амма дуьхьал олуш цхьа а аз а дацара, жоп а дацара хезаш. Шаьш кечйинчу сагӀа доккхучу меттигна хьалха ирхкхийсалора уьш.</verse>
				<verse number="27">Делкъахан тӀееача, Эли-ЯхӀу кхаьрдира царах. Цо элира: «ЧӀогӀа мохь тоха аша, хӀунда аьлча иза дела ма ву. Иза ойла еш хила а тарло я иза шен гӀуллакх дан вахана хила а мега, я новкъахь вогӀуш хила а там бу, я наб еш хила а мега, иза-м самаваккха везаш ву!»</verse>
				<verse number="28">ТӀаккха цара чӀогӀа маьхьарий хьоькхура. Цара шайн догӀмашна тӀе арсаш а, гоьмукъаш а хьокхура, шайна тӀехула цӀийш охьадоладаллалц.</verse>
				<verse number="29">Делкъахан дӀа а яьлла, суьйренан сагӀа доккху хан тӀекхаьчча а, уьш кхидӀа а шовкъ еана бара. Амма цхьа а аз я жоп, я цхьа а хӀума дацара хезаш.</verse>
				<verse number="30">ТӀаккха Эли-ЯхӀус дерриг а халкъе элира: «Суна тӀехила». Дерриг халкъ цунна тӀехилира. Везачу Элана сагӀа доккхуш хилла йолу меттиг йохийначуьра меттахӀотто волавелира Эли-ЯхӀу.</verse>
				<verse number="31">Цо шийтта тӀулг схьаийцира. Уьш дара Везачу Эло шега: «Исраил хир ю хьан цӀе» — аьлла волчу Якъубан шийтта кӀантах девллачу тайпанийн барамехь.</verse>
				<verse number="32">Оцу тӀулгех Везачу Элана лерина сагӀа доккху меттиг йира Эли-ЯхӀус. Ткъа оцу меттигна гонах саьнгар яьккхира, шена чу ши сахь хӀу тарлуш йолу.</verse>
				<verse number="33">Эли-ЯхӀус сагӀа доккхучу меттиге дечиг диллира. Ткъа урс хьаькхначу старгӀанах дакъош а дина, уьш цу дечигна тӀедехкира.</verse>
				<verse number="34">ТӀаккха цо элира: «Йиъ кхаба хих а юьзна, и хи сагӀина ягош йолчу старгӀина а, дечигна а тӀедотта». Цара Эли-ЯхӀус боххург дира. ТӀаккха юха а элира цо: «Цу тайппана кхин а цкъа де». Цара иза юха а кхочушдира. Эли-ЯхӀус кхин а элира: «Изза кхозлагӀа а де». КхозлагӀа а изза дира цара.</verse>
				<verse number="35">СагӀа доккхучу меттигна гонах хи охьадоладелира, саьнгар хих юьзира.</verse>
				<verse number="36">Суьйренан сагӀа доккхучу хенахь Эли-ЯхӀу-пайхамар сагӀа доккхучу меттигна улло веара. Цо доӀа дира: «ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Исраилан а Дела волу Веза Эла! Таханлерчу дийнахь дӀахаийтахьа Исраилан халкъан Дела Хьо цхьаъ вуйла а, со Хьан лай вуйла а, аса и дерриг а Ахьа ма-аллара динийла а!</verse>
				<verse number="37">Жоп лохьа суна, ва Веза Эла, дӀахазахьа со, Веза Эла волу Хьо Дела хилар а, Ахь церан дегнаш Хьайна тӀедерзош хилар а хӀокху нахана хаийтархьама».</verse>
				<verse number="38">ТӀаккха Везачу Эло цӀе охьахьажийра. Оцу цӀеро сагӀина еана хӀума а, дечиг а, тӀулгаш а, кхерчана гонахара латта а дагийра. Саьнгар чохь долу хи а дакъийра цо.</verse>
				<verse number="39">И хилларг шена гича, дерриг а халкъо, лаьтта кхаччалц охьа а таьӀна, бохура: «Веза Эла — Дела ву! Веза Эла — Дела ву!»</verse>
				<verse number="40">ТӀаккха Эли-ЯхӀус цаьрга элира: «Схьалаца БаӀалан пайхамарш! Царах цхьа а дӀа ма вахийта!» Уьш схьалийцира. Эли-ЯхӀус уьш, Къишун-хи тӀе а бигна, цигахь байира.</verse>
				<verse number="41">Эли-ЯхӀу-пайхамаро Ахьаб-паччахье элира: «ДӀа а гӀой, яа а яа, мала а мала. ДогӀун долчу чӀогӀачу догӀанан гӀовгӀа ю суна хезаш».</verse>
				<verse number="42">Ахьаб-паччахь яий, малий дӀавахара. Ткъа Эли-ЯхӀу Кармал-ломан бохьа тӀе велира. Цигахь цо, лаьтта кхаччалц охьа а таьӀна, шен корта голашна юккъе нисбира.</verse>
				<verse number="43">ТӀаккха шен ялхочуьнга Эли-ЯхӀус элира: «Вало, гӀой, хӀордехьа дӀахьажа». Ялхочо, вахана, хьажа а хьаьжна, элира: «Суна-м хӀумма а ца го». Эли-ЯхӀус ворхӀазза а элира цуьнга: «Юха а гӀой, хьажа».</verse>
				<verse number="44">Ша ворхӀазлагӀа вахана схьавеача, ялхочо элира: «Адаман кераюккъалц йолу цхьа жима марха ю хӀорда тӀера хьалайолуш». Эли-ЯхӀус элира: «Вало, Ахьаб-паччахь волчу а гӀой, цуьнга дӀаала: „Хьайн гӀудалкх а йожий, цӀа верза, догӀано хьо сацавале. Хьо хӀинцца дӀа ца водахь, догӀано сацор ву хьо“».</verse>
				<verse number="45">Дукха хан ялале, мархаш а хӀиттира, стигал Ӏарж а елира, мох а белира. ЧӀогӀа догӀа деара. Оцу хенахь Ахьаб, шен гӀудалкха тӀе а хиъна, ИзраӀал-гӀала ваха новкъа ваьллера.</verse>
				<verse number="46">Везачу Элан ницкъ боьссира Эли-ЯхӀуна тӀе. Шен гӀодаюкъ а йихкина, Ахьаб-паччахьна хьалха а ваьлла, ИзраӀал-гӀала дӀакхаччалц новкъахула ведда вахара Эли-ЯхӀу.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="19">
				<verse number="1">Эли-ЯхӀу-пайхамаро динчух лаьцна а, цо БаӀалан массо а пайхамарш тур хьаькхна байарх лаьцна а — дерриг а Изабале дӀадийцира Ахьаб-паччахьо.</verse>
				<verse number="2">Изабала Эли-ЯхӀуна тӀе геланча вахийтира, цуьнга дӀаала: «Деланаша, шайн лааме хьаьвссина, луьра таӀзар дойла суна, нагахь аса, кхана хӀара хан тӀекхачале, оцу пайхамарех хӀоранна а диннарг хьуна а ца дахь».</verse>
				<verse number="3">Кхера а велла, Эли-ЯхӀу цигара дӀавахара, шен са кӀелхьардаккхархьама. ЯхӀуд-махкахь йолчу Беар-ШабаӀ-гӀала а вахана, Эли-ЯхӀус шен ялхо цигахь витира.</verse>
				<verse number="4">Цхьана дийнахь некъ баллал юкъ йолчу яьссачу аренга веара Эли-ЯхӀу. Схьавеана, жолам-куллана кӀел охьа а хиъна, шена валар а доьхуш, цо элира: «ХӀинца тоьар дара-кх, Веза Эла. ДӀаэцахьа сан са, хӀунда аьлча со сайн дайл хӀумма а тоьлуш вац».</verse>
				<verse number="5">ДӀа а вижина, оцу кулла кӀелахь наб кхийтира Эли-ЯхӀуна. ТӀаккха деанчу малико, цунах хьакха а делла, элира цуьнга: «Хьала а гӀаттий, хӀума яа».</verse>
				<verse number="6">Эли-ЯхӀу дӀахьаьжча, цунна шен коьртехь Ӏуьллучу тӀулга тӀехь беттина хьокхам а, чохь хи долу кхаба а гира. Бепиг а диъна, хи а мелла, юха а наб кхийтира цунна.</verse>
				<verse number="7">Везачу Элан Малик шолгӀа а тӀедеара Эли-ЯхӀуна. Цунах хьакха а делла, Малико элира: «Хьала а гӀаттий, хӀума яа, хӀунда аьлча бехха некъ бу хьуна хьалха».</verse>
				<verse number="8">Эли-ЯхӀус, хьала а гӀаьттина, хӀума а йиира, хи а мелира. Шена тӀедеанчу гӀоранца Эли-ЯхӀус шовзткъа дийнахь а, буса а некъ бира, Хьариб цӀе йолчу Делан ломана тӀекхаччалц.</verse>
				<verse number="9">Цигахь цхьана хьехана чу а ваьлла, цу чохь буьйса яьккхира Эли-ЯхӀус. Юха Везачу Элан дош кхечира Эли-ЯхӀуга: «Эли-ЯхӀу, хьо хӀун деш ву кхузахь?»</verse>
				<verse number="10">Эли-ЯхӀус жоп делира: «Ва массо а ницкъийн Веза Дела, ас Хьуна леррина гӀуллакх дора. Исраилан халкъо Хьоьца бина барт дӀатесна, Хьан сагӀа доккху кхерчаш бохийна, Хьан пайхамарш тур хьаькхна байина. Со цхьаъ бен висина вац, со а вен дагахь лоьхуш ву цара».</verse>
				<verse number="11">Везачу Эло цуьнга элира: «Хьала а гӀаттий, лам тӀе а валий, Веза Эла волчу Суна хьалха дӀахӀотта. ТӀаккха хьуна уллохула тӀехвер ву Со». Оцу хенахь чӀогӀа мох белира Везачу Элана хьалха. Оцу мохо лаьмнаш а дохадора, тархаш а кегйора, амма цу махца Веза Эла вацара. Цул тӀаьхьа мохк бегийра, амма мохк бегорца а Веза Эла вацара.</verse>
				<verse number="12">Мохк бегийначул тӀаьхьа, цӀе елира, амма цу цӀерца а Веза Эла вацара. ЦӀе чекхъяьллачул тӀаьхьа эсала а, тийна а долу аз деара.</verse>
				<verse number="13">Иза хезча, Эли-ЯхӀус тӀехула юхучу шен бедарца юьхь дӀахьулйира. Хьеха чуьра ара а ваьлла, цу чу воллучохь хӀоьттина лаьтташ вара Эли-ЯхӀу. Цхьана озо цуьнга хаьттира: «Хьо хӀун деш ву кхузахь, Эли-ЯхӀу?» — аьлла.</verse>
				<verse number="14">Эли-ЯхӀус жоп делира: «Ва массо а ницкъийн Веза Дела, ас Хьуна леррина гӀуллакх дора. Исраилан халкъо Хьоьца бина барт дӀатесна, Хьан сагӀа доккху кхерчаш бохийна, Хьан пайхамарш тур хьаькхна байина. Со цхьаъ бен висина вац, со а вен дагахь лоьху цара».</verse>
				<verse number="15">Везачу Эло цуьнга элира: «Вало, юха а верзий, хьайн новкъахула Дамасакхана уллорачу яьссачу аренга дӀагӀо. Хьо цига дӀакхаьчча, Хьазиал даьтта доттарца арамхойн паччахь хиларна къобалве.</verse>
				<verse number="16">Ткъа Нимшайн кӀант ЯхӀу Исраилан халкъана тӀехь паччахь хиларна даьтта тӀе доттарца къобалве. Абел-Мехьал гӀалара волу Шаптин кӀант ЭлишаӀ хьайн метта пайхамар хиларна даьтта тӀе доттарца къобалве.</verse>
				<verse number="17">Хьазиалан туьрах веддарг ЯхӀус воьйтур ву. Ткъа ЯхӀун туьрах кӀелхьарваьлларг ЭлишаӀ-пайхамаро хӀаллаквийр ву.</verse>
				<verse number="18">Исраилхошна юкъара БаӀална горахӀоьттина воцу а, цуьнан суьртана обанаш яьхна воцу а ворхӀ эзар стаг вуьтур ву Аса».</verse>
				<verse number="19">Цигара дӀавахача, Шаптин кӀант ЭлишаӀ латта охуш карийра Эли-ЯхӀуна. Шийтта шуьста а боьжна, латта а охуш, ша шуьйтталгӀачу шуьстана уллохь вогӀуш вара иза. Ша ЭлишаӀана юххехула чекхволуш, Эли-ЯхӀус шен тӀехулара бедар цунна тӀе кхоьссира.</verse>
				<verse number="20">Шен стерчий а дитина, ЭлишаӀа, ведда Эли-ЯхӀуна тӀе а веана, элира: «Сайн дега а, нене а Ӏодика а йина, схьаваийтахьа со, тӀаккха со хьоьца дӀавогӀур вара». Эли-ЯхӀус элира: «Дика ду, вало, юхаверза. Аса хьо сеца ма ца во!»</verse>
				<verse number="21">Эли-ЯхӀу волчуьра дӀа а вахана, шина старана урс а хьаькхна, стерчийн готанах цӀе латийра цо, цу тӀехь стерчийн жижиг даттархьама. ТӀаккха и жижиг нахана дӀасадийкъира ЭлишаӀа. Наха иза диира. Ткъа ЭлишаӀ, Эли-ЯхӀуна тӀаьхьа а хӀоьттина, цунна гӀуллакх а деш, цуьнца вахара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="20">
				<verse number="1">Арам-махкарчу паччахьо Бен-Хьадида шен дерриг эскар схьагулдира. Цуьнца цхьаьна шайн говрашца а, гӀудалкхашца а ткъе шийтта паччахь а волуш, Бен-Хьадид-паччахь, Шамран-гӀалина тӀе а вахана, цунна го а бина, гӀалина тӀелетира.</verse>
				<verse number="2">Цо исраилхойн паччахь волчу Ахьабана тӀе, гӀала, шен геланчаш хаам бан бахийтира:</verse>
				<verse number="3">«Бен-Хьадида иштта боху: „Хьан дети, деши — сан ду, хьан зударий, хьан тоьлла болу кӀентий — сан бу“».</verse>
				<verse number="4">Исраилхойн паччахьо цунна жоп делира: «Ахьа ма-бохху хуьлийла иза, сан олахо волу паччахь. Со а, сан мел дерг а — хьан ду».</verse>
				<verse number="5">Юха а баьхкира геланчаш. Цара элира: «Бен-Хьадида иштта боху: „Аса хьо волчу геланчаш хьажийра, хьоьга дӀаала аьлла: ‘Хьайн дети а, деши а, хьайн зударий а, кӀентий а суна схьало’.</verse>
				<verse number="6">Делахь а, аса кхана, хӀоккху хенахь, сайн ялхой хьажор бу хьуна тӀе. Цара хьан цӀахь а, хьуна гӀуллакх деш болчеран цӀахь а, хӀун ю а хьаьжна, хьуна еза мел хетарг схьа а эцна, суна схьаяхьар ю“».</verse>
				<verse number="7">Исраилхойн паччахьо шен махкахь мел волу къано схьагулвира. Цо цаьрга элира: «Тидам а беш, хьовсалаш, и стаг вайна зулам даккха воллуш ву. Бен-Хьадида ша сан зударий а, кӀентий а, сан дети а, деши а шен ду аьлча, аса цунна дуьхьало ца йира».</verse>
				<verse number="8">ТӀаккха массо а къаноша, массо а халкъо цуьнга элира: «Цо бохучуьнга ла а ма догӀа, къар а ма ло».</verse>
				<verse number="9">Ахьаб-паччахьо Бен-Хьадидан геланчашка элира: «Аша сан олахо волчу паччахье иштта дӀаала: „Ахьа де аьлла дуьххьара суна тӀедиллинарг хьан лай волу со кхочушдан кийча ву, ткъа ахьа хӀинца бохург дан сан йиш яц“». Геланчаша, дӀа а бахана, шайга аьлларг дӀахаийтира.</verse>
				<verse number="10">Бен-Хьадида юха а шен геланчаш бахийтира Ахьаб-паччахьна тӀе. Цара дӀаэлира цо бохург: «Деланаша, шайн лааме хьаьвссина, луьра таӀзар дойла суна, нагахь санна, Шамран-гӀала дӀа а яьккхина, цунах йинчу ченах сан эскархошна цхьацца кан кхачийтахь».</verse>
				<verse number="11">Исраилхойн паччахьо, цунна жоп а луш, элира: «Аша хӀара ала: „ГӀагӀ дӀадостуш волчо деш доллу дозалла ма дойла гӀагӀ дӀадоьхкуш волчо“».</verse>
				<verse number="12">Четарш чохь кхечу паччахьашца цхьаьна чагӀар молуш Ӏаш волчу Бен-Хьадида, и дешнаш шена дӀахезча, шен эскархошка омра дира, оцу гӀалина тӀелата кечам бе аьлла. Цара Шамран-гӀалина тӀелата кечам бира.</verse>
				<verse number="13">Цхьа пайхамар веара исраилхойн паччахьна тӀе. Цо элира: «Иштта боху Везачу Эло: „И доккха эскар гой хьуна? Аса иза тахана хьан кара дӀалур ду, Веза Эла Со вуйла хьуна дӀахаийтархьама“».</verse>
				<verse number="14">Ахьаб-паччахьо хаьттира: «Хьаьнгахула?» Пайхамаро жоп делира: «Иштта боху Везачу Эло: „Мехкадайн эскархошкахула“». ТӀаккха Ахьаба хаьттира: «ТӀом хьан дӀаболор бу?» «Ахь болор бу», — элира цуьнга.</verse>
				<verse number="15">Ахьаб-паччахьо мехкадайн эскархой схьакхайкхира, ткъа уьш ши бӀе ткъе шийтта хилира. Цул тӀаьхьа дерриг а эскар шена тӀекхайкхира цо, ткъа исраилхойн эскархо ворхӀ эзар вара.</verse>
				<verse number="16">Делкъахенахь уьш тӀамца арабевлира. Ткъа четарш чохь сакъоьруш Ӏаш волу Бен-Хьадид шена гӀо деш волчу ткъе шийтта паччахьца цхьаьна, мала а мелла, вехнера.</verse>
				<verse number="17">Уггаре а хьалха арамхошна тӀегӀоьртира мехкадайн эскархой. Паччахьан наха Шамран-гӀалара халкъ арадаьлла хилар дӀахаийтира Бен-Хьадиде.</verse>
				<verse number="18">ТӀаккха Бен-Хьадида омра дира: «И нах дийна боллуш схьалеца — маьршачу ойланца я тӀамца уьш арабевлла белахь а», — аьлла.</verse>
				<verse number="19">Хьалха Шамран-гӀалара мехкадайн эскархой арабевллера, ткъа царна тӀаьххье эскар а араделира.</verse>
				<verse number="20">Царах хӀораммо а шена дуьхьалваьлла мостагӀа хӀаллаквора. ТӀаккха арамхой дӀабевдира, ткъа исраилхой царна тӀаьхьабевлира. Арам-мехкан паччахь волу Бен-Хьадид шен берешца цхьаьна дин тӀехь кӀелхьарвелира.</verse>
				<verse number="21">Иштта тӀегӀоьртира исраилхойн паччахь. Цо, говраш а, гӀудалкхаш а хӀаллак а еш, боккха толам баьккхира арамхошна тӀехь.</verse>
				<verse number="22">Исраилхойн паччахьна тӀе а вахана, пайхамаро цуьнга элира: «ДӀа а гӀой, чӀагӀо а е, хӀинца чул тӀаьхьа айхьа дан дезачун ойла а е, хӀунда аьлча Арам-мехкан паччахь юха а дуьхьалвер ву хьуна».</verse>
				<verse number="23">Бен-Хьадиде цуьнан ялхоша элира: «Исраилхойн деланаш лаьмнашца йолчу меттиган деланаш бу, цундела баьккхина цара и толам. Нагахь тӀом шерачу меттехь бахь, вай тоьлур ду.</verse>
				<verse number="24">Ахьа хӀара дан деза: массо а паччахьаш шайн меттигашкара дӀа а бахий, церан метта мехкадай хӀиттабе.</verse>
				<verse number="25">ХӀаллакьхиллачу барамехь хьайн эскар юхаметтахӀоттаде. Иштта меттахӀиттае шайн хьалха хиллачу барамехь говраш а, гӀудалкхаш а. ТӀаккха вай шерачу арахь тӀом бийр бу цаьрца, билггал толам а боккхур бу царна тӀехь». Бен-Хьадида, цара бохучуьнга ла а доьгӀна, церан хьехам кхочушбира.</verse>
				<verse number="26">ТӀедеанчу шеран бӀаьсте тӀееача, Бен-Хьадида, арамхой а гулбина, уьш Апакх-гӀала бигира, цигахь исраилхошца тӀом бархьама.</verse>
				<verse number="27">Исраилхойн эскар, схьа а гулдина, цунна сурсаташ дӀаделира, иза арамхошна дуьхьал дахара. Исраилхоша царна дуьххьал шайн меттамотт дӀахӀоттийра. Уьш гезарийн жима ши жа санна хетара. Ткъа арамхоша шайх латта дуьзира.</verse>
				<verse number="28">Делан стага, Исраилхойн паччахьна тӀе а вахана, элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Веза Эла волу Со — лаьмнийн Дела ву, ткъа шерачу меттигийн Дела вац арамхоша бахарна, Аса церан эскаран и йоккха арданг хьан кара дӀалур ю. ТӀаккха хуур ду шуна Со — Веза Эла вуйла“».</verse>
				<verse number="29">Меттамотт а хӀоттийна, ворхӀ дийнахь вовшашна дуьхь-дуьхьал Ӏийра уьш. ВорхӀалгӀачу дийнахь тӀом дӀаболабелира. Исраилхоша арамхойн цхьа бӀе эзар гӀашло эшийра цхьана дийнахь.</verse>
				<verse number="30">Арамхойн гӀашлойх бисинарш Апакх-гӀала йолчу дӀабевдира. Цигахь тӀамах кӀелхьарваьллачу ткъе ворхӀ эзар стагана гӀалин пен тӀекхийтира. Бен-Хьадид а гӀала дӀаведдера. Иза цӀийнан чухула йолчу цхьана чоьнна чохь лечкъаш вара.</verse>
				<verse number="31">Ялхоша Бен-Хьадиде элира: «Исраилан цӀийнах болу паччахьаш къинхетаме бу олуш хезнера тхуна. Пурба лохьа тхуна, сингаттаман духаршца тхешан догӀмаш а хьулдина, чуханаш кочах а йихкина, исраилхойн паччахьна тӀедаха. Хьо дийна вуьтур вацара те цо?»</verse>
				<verse number="32">ТӀаккха ялхой, сингаттаман духаршца шайн догӀмаш хьул а дина, чуханаш кочах а йихкина, исраилхойн паччахьна тӀебаьхкира. Цара элира: «Хьан лай волчу Бен-Хьадида ша дийна витар доьху хьоьга». Ткъа Ахьаб-паччахьо элира: «Иза дийна ву ткъа? И сан ваша ма ву».</verse>
				<verse number="33">Паччахьо аьлларг дикачу билгалонна ду аьлла хийтира оцу нахана. Цара сихха тидаме ийцира Ахьаб-паччахьо аьлларг. «ХӀаъ, Бен-Хьадид хьан ваша ма ву», — элира цара. ТӀаккха паччахьо цаьрга элира: «Дуьйло, дӀа а гӀой, схьавалаве иза». Бен-Хьадид цунна дуьхьал схьавеара. Ахьаба иза шен гӀудалкхана тӀе шеца охьахаийра.</verse>
				<verse number="34">Бен-Хьадида элира цуьнга: «Сан дас хьан дегара схьаяьхна хилла йолу гӀаланаш аса хьуна юхаерзор ю. Хьайн долахь базарш хила а йиш ю хьан Дамасакхехь, сан ден а Шамран-гӀалахь базар ма-хиллара». Ахьаба элира: «Вайшиммо и барт дӀаязбинчул тӀаьхьа аса дӀахоьцур ву хьо». Иштта, Бен-Хьадидаца барт а бина, иза дӀахийцира Ахьаба.</verse>
				<verse number="35">Пайхамарийн тобанна юкъарчу цхьана пайхамаро цу тобанарчу вукхуьнга, Везачу Эло шена тӀе-ма-диллара, элира: «Тохахьа суна». Амма оцу стага ца туьйхира цунна.</verse>
				<verse number="36">ТӀаккха оцу пайхамаро элира: «Ахьа Везачу Эло бохучуьнга ла ца догӀарна, хьо, со волчуьра дӀавоьдуш, лоьмо цоьстур ву». И стаг дӀавоьдуш, цунна дуьхьал кхеттачу лоьмо иза цистира.</verse>
				<verse number="37">Цул тӀаьхьа оцу пайхамарна кхин а цхьа стаг дуьхьалкхийтира. Цо: «Тохахьа суна» элира цу стаге. ТӀаккха вукхо чевнаш хиллал йиттира цунна.</verse>
				<verse number="38">Пайхамар, шен бӀаьргаш дӀахьулбархьама дуьхьал хӀума а оьллина, новкъа а ваьлла, некъана уллохь лаьтташ вара, исраилхойн паччахье хьоьжуш.</verse>
				<verse number="39">Паччахь шена уллохула чекхволуш, пайхамаро цуьнга, мохь тоьхна, элира: «Хьан лай волу со тӀаме ваханера. ТӀаккха цхьана стага, юьстах а ваьлла, суна тӀе стаг валийра. Цо элира: „ХӀара стаг ларвелахь. Иза дийна ца висахь, хьан са цуьнан синан метта дӀаоьцур ду. Я ахьа цхьа гали дети дала дезар ду йолана“.</verse>
				<verse number="40">Хьан лай волчу аса цхьацца гӀуллакхаш дечу хенахь, и стаг дӀаведира». «Иштта кхел хир ю-кх хьуна а, ахьа-айхьа тӀелаьцна хӀума иза долу дела», — элира цуьнга исраилхойн паччахьо.</verse>
				<verse number="41">Пайхамаро цу сохьта шен бӀаьргашна дуьхьал тӀеяийтина хӀума дӀаяьккхира. ТӀаккха хиира паччахьна иза пайхамарех вуйла.</verse>
				<verse number="42">Пайхамаро элира цуьнга: «Иштта боху Везачу Эло: „Аса хӀаллакьхила веза аьлла волу стаг ахьа дӀахецна, цундела хьан са цуьнан синан метта а хир ду, ткъа хьан халкъ цуьнан халкъан метта а хир ду“».</verse>
				<verse number="43">ТӀаккха исраилхойн паччахь, чӀогӀа дог а доьхна, оьгӀаз а вахана, цӀа вирзира. Иза Шамран-гӀала схьакхечира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="21">
				<verse number="1">И дерриг а хиллачул тӀаьхьа хӀара хилира. ИзраӀалхочун Набутин ИзраӀал-гӀалахь кемсийн беш яра. Иза Шамран-гӀаларчу Ахьаб-паччахьан цӀенна уллохь яра.</verse>
				<verse number="2">Цхьана дийнахь Ахьаба элира Набутига: «Хьайн кемсийн беш суна схьало, соьга цунах хасстоьмийн беш яйтархьама, хӀунда аьлча и беш паччахьан сан цӀенна уллохь ю. Ткъа аса хьан бешал гӀоле йолу кемсийн беш лур ю хьуна цунна дуьхьал. Я хьуна лаахь, цу бешах богӀуш болу мах лур бу аса хьуна».</verse>
				<verse number="3">Амма Набутис Ахьабе жоп делира: «Ларвойла со Везачу Эло, сайн ден тӀаьхьалонах дерг хьуна дӀадаларх!»</verse>
				<verse number="4">ИзраӀалхочо Набутис шега, лур дац аса хьуна сайн ден тӀаьхьалонах дерг аларна, чӀогӀа дог а доьхна, оьгӀаз а вахана, цӀа веара Ахьаб-паччахь. Иза, пенехьа дӀа а вирзина, шен метта охьавижира. Цо яа хӀума а ца йоура.</verse>
				<verse number="5">Ахьабан зуда Изабал чуелира. Цо Ахьабе элира: «Хьан дог а стенна доьхна, юург а хӀунда ца йоу ахьа?»</verse>
				<verse number="6">Ахьаба зудчуьнга жоп делира: «ИзраӀалхо волчу Набутига: „Схьало суна хьайн кемсийн беш! Йохка иза суна, я, хьайна лаахь, вукху кемсийн бешах хийцахьа“, — аса шега аьлча, цо ша иза лур яц элира».</verse>
				<verse number="7">ТӀаккха Ахьабан зудчо Изабала цуьнга элира: «Ткъа хьо ма ву исраилхойн паччахь?! Хьала а гӀаттий, хьайн яа хӀума а яа, синна паргӀат а хила. Аса схьайоккхур ю хьуна израӀалхочун Набутин кемсийн беш».</verse>
				<verse number="8">Изабала Ахьабан цӀарах кехаташ яздира. ТӀаккха цуьнан мухӀарца уьш чӀагӀ а дина, Набути вехачу гӀалахь болчу къаношка а, цӀеяхана болчу нахе а дӀахаийтира.</verse>
				<verse number="9">Кехаташ тӀехь цо иштта яздора: «Марха а лаций, халкъана юкъа баьрчче охьахааве Набути.</verse>
				<verse number="10">Ткъа цунна дуьхьал ши зуламхо охьа а хаавай, цунна дуьхьал тоьшалла а деш, цаьрга дӀаалийта: „Ахьа Дела а, паччахь а емалвеш хӀума элира“. ТӀаккха гӀалара ара а ваккхий, валлалц тӀулгаш кхисса цунна тӀе».</verse>
				<verse number="11">Набути вехачу гӀалара наха, къаноша, хьоладайша, Изабала шайна тӀе-ма-диллара, цо шайга даийтинчу кехаташ тӀехь яздина ма-хиллара кхочушдира.</verse>
				<verse number="12">Цара, марха а лаьцна, халкъана юкъахь баьрчче охьахаийра Набути.</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха ши зуламхо, цунна дуьххьал охьа а хиъна, оцу халкъана хьалха шайн тоьшаллаш дан вуьйлира. Цара бохура: «Набутис Дела а, паччахь а емалвеш хӀума элира». Цара Набути гӀалара ара а ваьккхина, цунна тӀе тӀулгаш а кхиссина, иза вийра.</verse>
				<verse number="14">ТӀаккха Изабале хаам бан нах бахийтира, Набутина тӀе тӀулгаш а кхиссина, иза вийна аьлла.</verse>
				<verse number="15">ТӀе тӀулгаш а кхиссина, Набути вийна аьлла шена хезча, Изабала Ахьабе элира: «Хьала а гӀаттий, хьайна йохка ца лиъначу израӀалхочун Набутин кемсийн беш хьайн дола яккха, хӀунда аьлча Набути велла».</verse>
				<verse number="16">Набути вийна аьлла шена хезча, Ахьаб хьалагӀаьттира, израӀалхочун Набутин кемсийн беша а вахана, иза шен дола яккхархьама.</verse>
				<verse number="17">ТӀаккха Везачу Элан дош кхечира тишабхо волчу Эли-ЯхӀуга:</verse>
				<verse number="18">«Хьала а гӀаттий, Шамран-гӀаларчу исраилхойн паччахьна Ахьабана дуьхьалваха новкъавала. Иза хӀинца Набутин кемсийн бешахь ву. И беш шен дола яккха веана иза цига.</verse>
				<verse number="19">Ахьа цуьнга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Стаг вен а вийна, цуьнан дех дисинчун лаьттан дакъа а хьайн дола даккха воллу те хьо?’“ — Кхин а ала цуьнга: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Набутин цӀийна жӀаьлеша мотт хьаьккхначу меттехь, хьан цӀийна а мотт хьокхур бу жӀаьлеша’“».</verse>
				<verse number="20">Ахьаба Эли-ЯхӀуга элира: «Сан мостагӀа, карий-кха хьуна со!» Эли-ЯхӀус элира: «Карий! ХӀунда аьлча ахьа Далла хьалха Цуьнан лаамехь доцу хӀума деш ду.</verse>
				<verse number="21">Иштта боху Везачу Эло: „ХӀинца Аса хала баланаш тӀебохкуьйтур бу хьуна, хьан тӀаьхьенах волу массо а боьрша стаг — чувоьллина я маьрша иза велахь а — хӀаллак а вийр ву.</verse>
				<verse number="22">Ахьа, Исраилан халкъе къинош а летадайтина, Со дарварна, Аса хьан цӀенна а дийр ду НабатӀан кӀентан ЯрбаӀаман цӀенна а, АхьъяхӀун кӀентан БаӀшин цӀенна а диннарг“.</verse>
				<verse number="23">Иштта Изабалах лаьцна Везачу Эло боху: „ЖӀаьлеша юур ю Изабал ИзраӀал-гӀалин пенна уллохь.</verse>
				<verse number="24">Ахьабан цӀийнах верг гӀалахь велча, иза а жӀаьлеша вуур ву. Ткъа аренгахь веллачунна стигалан олхазарша зӀакарш еттар ю“».</verse>
				<verse number="25">(Шен зудчо Изабала шен лере дуьйцучуьнга ла а доьгӀуш, Везачу Элана зуламе хеташ дерг дарна шен дог тӀедерзийна волу Ахьаб-паччахь саннарг хӀетталц ваьлла а вацара.</verse>
				<verse number="26">Везачу Эло Исраилан халкъана дуьхьалара дӀабаьхна болчу эмархоша, цӀушна Ӏамал а еш, лелийна хилла доллу гӀуллакхаш леладора Ахьаб-паччахьо а.)</verse>
				<verse number="27">Оцу массо а дешнашка ла а доьгӀна, Ахьаба шена тӀера бедарш этӀийра. Цо шена тӀе сингаттаман бедарш юьйхира. Иза марха а кхобуш, оццу бедаршца дӀа а вуьжуш, чӀогӀа сингаттаме вара.</verse>
				<verse number="28">ТӀаккха Везачу Элан дош кхечира тишабхо волчу Эли-ЯхӀуга:</verse>
				<verse number="29">«Гой хьуна, Ахьаба Суна хьалха ша мел лахара хетийтира? Суна хьалха цо ша лахара хетийтарна, иза вехачу ханна бохкуьйтур бац Аса цунна тӀе баланаш. Ахьабан кӀант вехачу заманахь цуьнан цӀенна тӀе балор бу Аса и баланаш».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="22">
				<verse number="1">Кхаа шарахь Араман халкъана а, Исраилан халкъана а юкъахь тӀом бацара.</verse>
				<verse number="2">КхоалгӀачу шарахь яхӀудхойн паччахь ЯхӀушапти исраилхойн паччахьна тӀевахара.</verse>
				<verse number="3">Исраилхойн паччахьо шен ялхошка элира: «Шуна хаьий ГалӀад-махкахь йолу Рамат-гӀала вайн юйла? Ткъа вай дуккха а хенахь дуьйна, дист а ца хуьлуш, арамхойн паччахьан карара иза схьа а ца йоккхуш, Ӏаш ду».</verse>
				<verse number="4">Ахьаба ЯхӀушаптига элира: «Хьо вогӀур варий соьца ГалӀадерачу Рамат-гӀалина тӀелата?» ЯхӀушаптис исраилхойн паччахье Ахьабе жоп делира: «Дера вогӀур ву! Вай гергара ма ду. Сан халкъ а хьан халкъ ма ду, сан дой а хьан дой ма ду».</verse>
				<verse number="5">ЯхӀушаптис кхидӀа исраилхойн паччахье элира: «Амма цкъа хьалха Везачу Эло хӀун боху хаттийтахьа».</verse>
				<verse number="6">Исраилхойн паччахьо, виъ бӀе хиллал пайхамар схьа а гулвина, цаьрга хаьттира: «ГалӀадерачу Рамат-гӀала тӀамца ваха везий те со, я ваха ца веза те?» Цара жоп делира: «Ваха веза. Везачу Эло хьан кара схьалур ю иза».</verse>
				<verse number="7">ТӀаккха ЯхӀушаптис хаьттира: «Кхин цхьа а вуй те кхузахь Везачу Элан пайхамар? Цуьнгахула а Везачу Эле хаттар дийр дара вай».</verse>
				<verse number="8">Исраилхойн паччахьо ЯхӀушаптига элира: «Кхин а цхьа пайхамар ву, шегахула Везачу Эле хаттар дан мегар долуш. Амма суна иза ца веза, хӀунда аьлча цо цкъа а сох лаьцна Делера дика хаам ца бо, вониг бен. Иза Йимлаан кӀант Мика-ЯхӀу ву». «Паччахь, ма алахьа иштта», — элира ЯхӀушаптис.</verse>
				<verse number="9">ТӀаккха, паччахьан кертара цхьа ялхо схьа а кхайкхина, исраилхойн паччахьо цуьнга элира: «Вало, сихха Йимлаан кӀант Мика-ЯхӀу схьавалош вола».</verse>
				<verse number="10">Исраилхойн паччахь Ахьаб а, яхӀудхойн паччахь ЯхӀушапти а, шаьшшинна тӀе паччахьан духарш а дуьйхина, хӀорра а шен паччахьан гӀанта тӀе охьахиъна вара. Уьш Шамран-гӀалин кевнехьа йолчу хьаьттарехь бара. Берриге а пайхамарш бара, пайхамаралла а деш, царна хьалха дӀахӀиттина.</verse>
				<verse number="11">КинаӀанан кӀанта ЦӀадукъ-ЯхӀус, шена тӀе аьчка маӀаш а ехкина, элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Арамхой хӀаллакбина охьабахккалц хӀара маӀаш Ӏуьттур ю ахьа царна“».</verse>
				<verse number="12">Массо а пайхамаро а, цхьатерра хаам а беш, бохура: «ГалӀадерачу Рамат-гӀалина тӀелата, дерриг а кхиамца чекхдер ду. Везачу Эло паччахьан кара схьалур ю иза».</verse>
				<verse number="13">Мика-ЯхӀуга схьакхайкха ваханчу стага цуьнга элира: «Пайхамарша, шаьш хиндолчух хаамаш бечу хенахь, массара а цхьатерра паччахьна диканиг олу. Хьан дош а хилахьара цара хӀораммо а бохучух терра. Ахьа а диканиг алахьа».</verse>
				<verse number="14">Мика-ЯхӀус цуьнга элира: «Дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо аса, сайга Везачу Эло боххург айса дӀаэриг хилар».</verse>
				<verse number="15">Пайхамар паччахьна тӀевеара. Паччахьо Мика-ЯхӀу-пайхамаре хаьттира: «Мика-ЯхӀу! Ваха везий те со тӀамца ГалӀадерачу Рамат-гӀала я ца веза?» Мика-ЯхӀу-пайхамаро паччахье элира: «ДӀагӀо хьо. Кхиам хир бу хьан. Везачу Эло хьан кара схьалур ю хьуна иза».</verse>
				<verse number="16">ТӀаккха паччахьо цуьнга элира: «Мосазза чӀагӀо яйта еза те аса хьоьга, Везачу Элан дуьхьа билггал бакъдерг бен соьга хӀумма а ма алахьара аьлла?»</verse>
				<verse number="17">ТӀаккха Мика-ЯхӀу-пайхамаро элира: «Суна хьалха Делера сурт хӀоьтти, массо а исраилхой, шайна тӀехь Ӏу воцу уьстагӀий санна, лаьмнашкахула дӀасабаьржина. ТӀаккха Везачу Эло элира: „Вац царна тӀехь хьаькам, уьш хӀорра а шен цӀа маьрша вухавоьрзийла“».</verse>
				<verse number="18">Исраилхойн паччахьо ЯхӀушаптига элира: «Аса элирий хьоьга, цо цкъа а сох лаьцна Делера дика хаам ца бо, вониг бен!»</verse>
				<verse number="19">ТӀаккха Мика-ЯхӀу-пайхамаро элира: «Ткъа хӀинца Везачу Эло бохучуьнга ладогӀа! Суна гира, Веза Эла Шен Ӏаршана тӀе охьахиъна Ӏаш, ткъа стигаларчу гуламан массо а декъашхой Цунна уллохь лаьттара — Цуьнан аьтту а, аьрру а агӀор.</verse>
				<verse number="20">Везачу Эло элира: „Шух хьан тӀеерзор яра Ахьабан ойла, иза тӀамца ГалӀадерачу Рамат-гӀала а вахана, цигахь хӀаллакьхилийтархьама?“ Цхьаммо цхьаъ олура, вукхо важа олура.</verse>
				<verse number="21">ТӀаккха стигаларчу гуламан цхьана декъашхочо, Везачу Элана хьалха дӀа а хӀоьттина, элира: „Аса дийр ду“. Везачу Эло хаьттира: „Муха?“</verse>
				<verse number="22">Стигалара гуламан оцу декъашхочо жоп делира: „Аса, вахана, цуьнан мел болчу пайхамаршка харцдерг олуьйтур ду“. Везачу Эло элира: „Ахьа иза берта а валаве, хьо ларор ву иза дан. Ваха а гӀой, иштта де ахьа“.</verse>
				<verse number="23">Иштта, Везачу Эло оцу хьан массо а пайхамаршка хьоьга харцдерг алийтира. Везачу Эло хьуна тӀе бохам баийта сацам ма бира!»</verse>
				<verse number="24">ТӀаккха КинаӀанан кӀанта ЦӀадукъ-ЯхӀус, Мика-ЯхӀу-пайхамаран бесни тӀе тӀара а тоьхна, элира: «И бохург хӀун ду? Везачу Элан Са хьоьгахула хаам бархьама, сох дӀакъаьстина ткъа?»</verse>
				<verse number="25">Мика-ЯхӀус элира: «Хьажал, хьо къайлавалархьама чухуларчу цхьана чоьнна чу ваханчу дийнахь иза хуур ду хьуна».</verse>
				<verse number="26">Исраилхойн паччахьо элира: «Мика-ЯхӀу-пайхамар схьа а лаций, гӀалин хьаькамна Аминна тӀе а, паччахьан кӀантана Юашина тӀе а вига.</verse>
				<verse number="27">Аша цаьрга дӀаала: „Иштта боху паччахьо: ‘ХӀара стаг набахти чу волла. Со маьрша цӀа верззалц, кӀеззиг бепиг а, хи а бен, хӀумма а ма ло цунна’“».</verse>
				<verse number="28">Мика-ЯхӀу-пайхамаро элира: «Нагахь хьо маьрша вухаверзахь, соьгахула хаам бинарг Веза Эла ца хилла». Кхин а цо элира: «Дерриг а халкъо ладогӀа аса аьллачуьнга!»</verse>
				<verse number="29">Исраилхойн паччахь а, яхӀудхойн паччахь ЯхӀушапти а ГалӀадерачу Рамат-гӀалина тӀелетира.</verse>
				<verse number="30">Ахьаб-паччахьо ЯхӀушапти-паччахье элира: «Аса, со мила ву къайладаккхархьама, сайна тӀера духар а хийцина, тӀом дӀаболор бу. Ткъа ахьа хьайн паччахьан духар тӀедуха». Иштта, ша мила ву къайладаккхархьама, шена тӀе хийцина хӀума а юьйхина, тӀом дӀаболийра исраилхойн паччахьо.</verse>
				<verse number="31">Арамхойн паччахьо шен ткъе шийтта тӀеман гӀудалкхийн хьаькаме омра динера: «Царах я жимачуьнца а, я воккхачуьнца а тӀом ма бе, веккъа цхьана исраилхойн паччахь воцучуьнца», — аьлла.</verse>
				<verse number="32">ЯхӀушапти шайна гича, гӀудалкхийн хьаькамашна иза билггал исраилхойн паччахь ву моьттира. Арамхой цунна тӀебуьйлабелира, тӀелата дагахь. ЯхӀушаптис мохь хьаькхча,</verse>
				<verse number="33">иза исраилхойн паччахь воций а хиъна, гӀудалкхийн хьаькамаш цунна тӀаьхьабевллачуьра севцира.</verse>
				<verse number="34">Цу хенахь цхьана стага ларамаза пха кхоьссира. И пха исраилхойн паччахьна тӀехь долчу гӀаьгӀнан дакъошна юккъе кхийтира, цо паччахьна чов йира. Шен гӀудалкх лелош волчуьнга Ахьаб-паччахьо элира: «Юха а верзий, тӀом бечу меттера дӀаваккха со — суна чов йина».</verse>
				<verse number="35">Амма цу дийнахь тӀом чӀагӀбелира, ткъа Ахьаб-паччахь арамхошна дуьхьал лаьттачу шен гӀудалкха чохь лоттуьйтура. Паччахьан цӀий гӀудалкхан буха охьаоьхура, ткъа суьйранна иза велира.</verse>
				<verse number="36">Малх дӀабузучу хенахь эскаран дакъошкахула дӀахьедар дӀасадаьржира: «ХӀора а шен-шен гӀала, шен-шен махка дӀагӀо!» — аьлла.</verse>
				<verse number="37">Иштта велира Ахьаб-паччахь. Цуьнан дакъа Шамран-гӀала деара, цигахь иза дӀавоьллира.</verse>
				<verse number="38">Паччахьан гӀудалкх Шамранан Ӏома чохь йилира (цигахь сийсаза лела зударий а луьйчура). Ткъа цуьнан цӀийна тӀе жӀаьлеша мотт хьаькхира, Везачу Эло ма-аллара.</verse>
				<verse number="39">Ахьаб-паччахьан кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цо мел динчух а, цо дӀахӀоттийначу пийлан кӀомсарех долчу цӀийнах а, цо яйтинчу массо а гӀаланех а лаьцна — яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.</verse>
				<verse number="40">Иштта, Ахьаб-паччахь, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Цуьнан метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Ахьаз-ЯхӀу.</verse>
				<verse number="41">Асин кӀант ЯхӀушапти яхӀудхойн паччахь дӀахӀоьттира, исраилхойн паччахьо Ахьаба паччахьалла до доьалгӀа шо долуш.</verse>
				<verse number="42">ЯхӀушапти паччахь дӀахӀуттуш, цуьнан ткъе пхийтта шо дара. Цо ткъе пхеа шарахь паччахьалла дира Ярушалаймехь. Цуьнан ненан цӀе Ӏазубат яра. Иза Шилхьайн йоӀ яра.</verse>
				<verse number="43">Массо а гӀуллакхашкахь ЯхӀушапти шен ден Асин новкъахула лелаш вара. Иза цу некъа тӀера дӀа а ца велира, Везачу Элан лаамехь а лийлира. Делахь а, тӀехь сагӀа доккху гунаш цо дӀадахаза дисина дара, ткъа наха кхидӀа а оцу гунаш тӀехь сагӀа а доккхура, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора.</verse>
				<verse number="44">ЯхӀушаптис исраилхойн паччахьца машар латтийтира.</verse>
				<verse number="45">ЯхӀушаптин кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цуьнан майрачу гӀуллакхех а, цо бинчу тӀамах а лаьцна — яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь.</verse>
				<verse number="46">Шен дас Асас паччахьалла дечу хенахь дуьйна бисина болу, цӀуйн дуьхьа сийсаза лелаш болу «базбина» божарий а, хӀаллакбина, дӀабехира цо махкара.</verse>
				<verse number="47">Оцу хенахь Эдом-махкахь паччахь вацара. Цигахь олалла деш яхӀудхойн паччахьан мехкада вара.</verse>
				<verse number="48">ЯхӀушаптис хӀордкеманаш дайтира, Апар-махкара деши схьадархьама. Амма уьш цига дӀа ца кхечира. Новкъахь Ӏецйон-ГӀебаре дӀакхочуш хӀордкеманаш, доха а доьхна, хӀаллакьхилира.</verse>
				<verse number="49">ТӀаккха Ахьабан кӀанта Ахьаз-ЯхӀус ЯхӀушаптига элира: «Сан ялхой хьан ялхошца цхьаьна бахийта вай хӀордкеманаш тӀехь?» Амма ЯхӀушапти реза ца хилира иза дан.</verse>
				<verse number="50">ЯхӀушапти, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза царна уллохь, Даудан гӀалахь, дӀавоьллира. ЯхӀушаптин метта паччахь хилира цуьнан кӀант ЯхӀурам.</verse>
				<verse number="51">ЯхӀудхойн паччахьо ЯхӀушаптис олалла до вуьрхӀитталгӀа шо долуш, Ахьабан кӀант Ахьаз-ЯхӀу исраилхойн паччахь хилира. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, Ахьаз-ЯхӀус исраилхошна тӀехь шина шарахь олалла дира.</verse>
				<verse number="52">Шен ден а, ненан а новкъахула а лелаш, иштта Исраилан халкъе къинош летадайтина волчу НабатӀан кӀентан ЯрбаӀаман новкъахула а лелаш, цо Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш лелийра.</verse>
				<verse number="53">Шен дас лелийна доллу гӀуллакхаш а лелош, БаӀална Ӏибадат а деш, цунна гӀуллакх дарна, Исраилан халкъан Веза Дела оьгӀазвахийтира Ахьаз-ЯхӀус.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="12">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">Ахьаб-паччахь веллачул тӀаьхьа Муаби-мехкан халкъ исраилхошна дуьхьал гӀаьттира.</verse>
				<verse number="2">Ахьаз-ЯхӀу-паччахьна, Шамран-гӀалахь долчу шен цӀенойн лакхарчу цӀийнан дечиган гурахула чу а воьжна, чов хилира. Цо геланчаш бахийтира, цаьрга иштта а олуш: «Даха а гӀой, Ӏекхран-гӀаларчу цӀу-дела волчу БаӀал-Забубе хатта: „ХӀокху чевнах хьалхавер вуй те со?“ — алий».</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха Везачу Элан Малико тишабхочуьнга Эли-ЯхӀуга элира: «Вало, хьала а гӀаттий, Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, исраилхошна тӀехь олалла дечу паччахьо бохуьйтуш болчу геланчашна дуьхьал а гӀой, цаьрга иштта ала: „Исраилан халкъан Дела вац ткъа? ХӀунда доьлху шу Ӏекхран-гӀаларчу цӀу-деле БаӀал-Забубе хаттар дан?</verse>
				<verse number="4">Паччахьо и дарна, Везачу Эло иштта боху: ‘Хьо, вижина Ӏуьллучу меттара кхин хьала а ца гӀоттуш, лийр ву’“». Эли-ЯхӀу-пайхамар и дӀаала вахара.</verse>
				<verse number="5">Бахийтинарш Ахьаз-ЯхӀуна тӀе юхабирзира. Паччахьо цаьрга элира: «Шу юха хӀунда дирзи?»</verse>
				<verse number="6">Геланчаша жоп делира: «Тхуна дуьхьал цхьа стаг кхийтира. Цо тхоьга элира: „Дуьйло, шаьш схьахьажийначу паччахьна тӀе юхадерза. Аша цуьнга дӀаала: ‘Иштта боху Везачу Эло: Исраилан халкъан Дела вац ткъа? Ахьа хӀунда бохуьйту Ӏекхран-гӀаларчу цӀу-дела волчу БаӀал-Забубина тӀе хаттарца? Цундела хьо, вижина Ӏуьллучу меттара кхин хьала а ца гӀоттуш, лийр ву’“».</verse>
				<verse number="7">Паччахьо хаьттира цаьрга: «ТӀехьаьжна муха вара, шуна дуьхьал а веана, шуьга и дешнаш аьлла волу стаг?»</verse>
				<verse number="8">Цара жоп делира: «Цу стеган дегӀа тӀехь дукха чоьш а дара, гӀодаюкъах дихкина тӀаьрсиган доьхка а дара». Ахьаз-ЯхӀус элира: «Иза тишабхо волу Эли-ЯхӀу ву».</verse>
				<verse number="9">Шовзткъе итт тӀемалочуьнца волу хьаькам вахийтира цо Эли-ЯхӀуна тӀе. Иза Эли-ЯхӀуна тӀевахара. Ткъа Эли-ЯхӀу ломан боххьехь вара. Хьаькамо Эли-ЯхӀуга элира: «Делан стаг! Паччахьо чувосса боху хьоьга».</verse>
				<verse number="10">Эли-ЯхӀус жоп делира цуьнга: «Со Делан стаг велахь, стигалара цӀе а йоьссина, хьо а, хьан тӀемалой а дӀакхоллийла цо». Юха, стигалара цӀе а йоьссина, оцу цӀеро тӀемалойн хьаькам а, цуьнан шовзткъе итт тӀемало а дӀакхаьллира.</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха паччахьо кхин а цхьа тӀемалойн хьаькам а, цуьнан шовзткъе итт тӀемало а вахийтира Эли-ЯхӀуна тӀе. Оцу тӀемалойн хьаькамо а элира: «Делан стаг, паччахьо сихха чувосса боху хьоьга!»</verse>
				<verse number="12">Эли-ЯхӀус, жоп луш, элира: «Со Делан стаг велахь, стигалара цӀе а йоьссина, хьо а, хьан тӀемалой а дӀакхоллийла цо». Стигалара цӀе а йоьссина, оцу цӀеро тӀемалойн и хьаькам а, цуьнан шовзткъе итт тӀемало а дӀакхаьллира.</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха кхозлагӀа а вахийтира паччахьо тӀемалойн хьаькам шен шовзткъе итт тӀемалочуьнца. Цо, лома тӀе хьала а ваьлла, Эли-ЯхӀуна хьалха гора а вахана, дехарш а деш, элира: «Делан стаг! Сох а, оцу хьан лай волчу шовзткъе итт тӀемалочух а къинхетам бехьа. Тхо дийна дитахьа!</verse>
				<verse number="14">Гой хьуна, стигалара йоьссинчу цӀеро сол хьалха схьавеана волу тӀемалойн ши хьаькам, хӀорра а, шен шовзткъе итт тӀемалочуьнца цхьаьна дӀакхаьллина. Амма сох хӀинца къинхетам бахьара ахь!»</verse>
				<verse number="15">Везачу Элан Малико Эли-ЯхӀуга элира: «Кхера а ца кхоьруш, дӀагӀо цуьнца». ТӀаккха Эли-ЯхӀу, хьала а гӀаьттина, тӀемалойн хьаькамца паччахьна тӀевахара.</verse>
				<verse number="16">Эли-ЯхӀус элира паччахье: «Иштта боху Везачу Эло: „Ахьа, Ӏекхран-гӀаларчу цӀу-далла БаӀал-Забубина тӀе хаттарш эцна геланчаш бахийтира, Исраилан халкъан Дела воцуш санна, Дала бохург хаархьама. Цундела, вижина Ӏуьллучу цу меттара кхин хьала а ца гӀоттуш, лийр ву хьо“».</verse>
				<verse number="17">Эли-ЯхӀу-пайхамарехула Везачу Эло ма-аллара, Ахьаз-ЯхӀу велира. ТӀаккха Ахьаз-ЯхӀун метта паччахь хӀоьттира цуьнан ваша Йорам, хӀунда аьлча Ахьаз-ЯхӀун шен кӀант вацара. Иза дара яхӀудхойн паччахь волчу ЯхӀушаптин кӀанта ЯхӀурама олалла динчу шолгӀачу шарахь.</verse>
				<verse number="18">Ахьаз-ЯхӀу-паччахьо динчу гӀуллакхех лаьцна — цо мел динчух лаьцна — яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Везачу Эло йилбазмохана юкъахь Эли-ЯхӀу-пайхамар стигала хьалавоккху хан тӀекхаьчначу хенахь, Эли-ЯхӀу Галгал-гӀаларчу ЭлишаӀца новкъахула вогӀуш вара.</verse>
				<verse number="2">Эли-ЯхӀус ЭлишаӀе элира: «ЭлишаӀ, хьо кхузахь сацахьа, хӀунда аьлча со Везачу Эло Бетал-гӀала хьажийна». Ткъа ЭлишаӀа жоп делира: «Дийна волчу Везачу Элах а, дийна волчу хьох а чӀагӀо йо ас, со хьох дӀакъаьстар вац аьлла». И шиъ Бетал-гӀала дӀавахара</verse>
				<verse number="3">Бетал-гӀаларчу пайхамарийн тобано, ЭлишаӀана дуьхьал а еана, цуьнга хаьттира: «Хаьий те хьуна, тахана Везачу Эло хьан олахо хьо волчуьра дӀаоьцург хилар?» ЭлишаӀа жоп делира: «Суна хаьа иза, амма аша цунах лаций цхьаьнгге а ма дийца».</verse>
				<verse number="4">Эли-ЯхӀус юха а элира: «ЭлишаӀ, хьо кхузахь сацахьа, хӀунда аьлча Везачу Эло со Ерихон-гӀала хьажийна». ЭлишаӀа жоп делира: «Дийна волчу Везачу Элах а, дийна волчу хьох а чӀагӀо йо ас, со хьох дӀакъаьстар вац аьлла». И шиъ Ерихон-гӀала дӀавахара.</verse>
				<verse number="5">Ерихон-гӀаларчу пайхамарийн тобано, ЭлишаӀана дуьхьал а еана, цуьнга хаьттира: «Хаьий те хьуна, тахана Везачу Эло хьан олахо хьо волчуьра дӀаоьцург хилар?» «Суна хаьа иза, амма аша цунах лаций цхьаьнгге а ма дийца», — жоп делира ЭлишаӀа.</verse>
				<verse number="6">Эли-ЯхӀус юха а дийхира ЭлишаӀе: «ЭлишаӀ, хьо кхузахь сацахьа, хӀунда аьлча Везачу Эло со Йордан-хи долчу хьажийна». ЭлишаӀа элира: «Дийна волчу Везачу Элах а, дийна волчу хьох а чӀагӀо йо аса, со хьох дӀакъаьстар вац аьлла». И шиъ дӀаволавелира.</verse>
				<verse number="7">Пайхамарийн тобанах волу шовзткъе итт стаг, царна тӀаьхьа а ваьлла, геннахь дӀахӀоьттира. Ткъа Эли-ЯхӀу а, ЭлишаӀ а, Йордан-хина тӀе а кхаьчна, цигахь дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="8">ТӀаккха, шен тӀехула юху бедар схьа а эцна, иза хьарча а йина, хи чу туьйхира Эли-ЯхӀус. Хи дӀасадекъаделира, и шиъ екъачухула дехьавелира.</verse>
				<verse number="9">Уьш хих дехьабевлча, Эли-ЯхӀус ЭлишаӀе элира: «Хьуна уллора со Дала стигала хьалаваккхале, аса хьайна дан луург деха соьга». ЭлишаӀа элира: «Хьоьца долу са, сайца шозза сов хила лаьара суна».</verse>
				<verse number="10">Эли-ЯхӀус жоп делира: «Ахьа доьхург хала хӀума ду. Нагахь санна хьан бӀаьргашна со стигала хьалавоккхуш гахь, ахьа доьхург хир ду хьуна, ткъа ца гахь — хир дац».</verse>
				<verse number="11">Къамел а деш, и шиъ новкъахула вогӀучу хенахь, цӀеххьана схьаеанчу цӀеран гӀудалкхо а, цӀеран говраша а дӀасакъастийра уьш. ТӀаккха йилбазмохана юкъахь Эли-ЯхӀу стигала хьалавахара.</verse>
				<verse number="12">ЭлишаӀа, хьала а хьоьжуш, воккхаверца мохь туьйхира: «Ва сан да! Исраилхойн тӀеман гӀап а, церан ницкъ а ма бара хьо!» — аьлла. ЭлишаӀана кхин ца гира Эли-ЯхӀу. Цо, катоьхна, шена тӀера бедарш, этӀа а йина, шина декъе йийкъира.</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха, Эли-ЯхӀуна тӀера охьайоьжна йисина йолу тӀехулара бедар схьа а эцна, ЭлишаӀ юхавирзира. Иза Йордан-хин йистехь сецира.</verse>
				<verse number="14">И бедар, хьарча а йина, ластийна, хи чу туьйхира ЭлишаӀа. Цо элира: «Мичахь ву Веза Эла? ХӀаъ, мичахь ву Эли-ЯхӀун и Дела?» ЭлишаӀа Эли-ЯхӀун бедар хи чу тоьхча, хи дӀаса а декъаделла, ЭлишаӀ дехьавелира.</verse>
				<verse number="15">Ерихон-гӀаларчу пайхамаршна геннара гира схьавогӀу ЭлишаӀ. Цара элира: «Эли-ЯхӀун са ЭлишаӀана чу доьлла». Пайхамарш, цунна дуьхьал а бахана, лаьтта кхаччалц охьатаьӀира.</verse>
				<verse number="16">Цара ЭлишаӀе элира: «Хьажахьа, хьан ялхой долчу тхуна юкъахь доьналла долу шовзткъе итт стаг ву. Бахийтахьа уьш хьайн олахо схьалаха. Везачу Элан Сино цхьана лома тӀехь я тогӀи чохь охьавиллина хир ву иза». «Ца оьшу. Ма бахийта», — элира ЭлишаӀа.</verse>
				<verse number="17">Амма пайхамарша дукха дехарш дарна эхь а хетта, ЭлишаӀа элира: «Бахийтийша, делахь». Шовзткъе итт стаг Эли-ЯхӀу лаха вахара. Цара кхаа дийнахь лийхира иза, амма царна иза ца карийра.</verse>
				<verse number="18">Ерихонехь сецначу ЭлишаӀана тӀе уьш юхабирзича, цо пайхамаршка элира: «Аса ца элира шуьга, ма гӀо и лаха?»</verse>
				<verse number="19">Ерихон-гӀаларчу бахархоша ЭлишаӀ-пайхамаре элира: «Гой хьуна, тхан эла, хӀара гӀала лаьтта меттиг, хьуна ма-гарра, дика ю, амма, кхузара хи дика цахиларна, зударий остабовлу».</verse>
				<verse number="20">Пайхамаро элира: «Чу туьха а диллий, цӀена кад ло соьга». Цуьнга кад дӀабелира.</verse>
				<verse number="21">ЭлишаӀ хин коьрте тӀевахара. Оцу хи чу туьха а тесна, цо элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Аса хӀара хи цӀандина. ХӀинца чул тӀаьхьа кхин хир дац кху хинехула я валар, я зударий остабовлар“».</verse>
				<verse number="22">ЭлишаӀа аьлла ма-хиллара, и хи хӀинца а цӀена ду.</verse>
				<verse number="23">Цигара дӀа Бетал-гӀала вахара ЭлишаӀ. Иза новкъахула вогӀучу хенахь, гӀалара арабевллачу кхиазхоша, цунах бийла а буьйлуш, бохура: «ДӀавала, кӀунзал баьлларг! ДӀавала!»</verse>
				<verse number="24">ЭлишаӀ юхахьаьжча, и бераш гира цунна. Цо Везачу Элан цӀарах неӀалт хьажийра царна. ТӀаккха хьуьнхара араяьллачу шина стен чено царах шовзткъе ши бер этӀийра.</verse>
				<verse number="25">Оцу меттера дӀа Кармал-лома тӀе вахара ЭлишаӀ. Цул тӀаьхьа иза Шамран-гӀала юхавирзира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">ЯхӀудхойн паччахь волчу ЯхӀушаптис паччахьалла деш долу берхӀитталгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира Ахьабан кӀант ЯхӀурам. Цо шийтта шарахь, Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, паччахьалла дира исраилхошна тӀехь.</verse>
				<verse number="2">Йорам-паччахьо а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора, шен дас а, шен нанас а дина хиллачу барамехь ца динехь а. Шен дас БаӀал-харцдела лоруш дӀахӀоттийна тӀулг хӀаллакбина дӀабаьккхира Йорама.</verse>
				<verse number="3">Амма НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтина доллу къинош цо кхидӀа а летадора, царна тӀера дӀа а ца воьрзуш.</verse>
				<verse number="4">Муабахойн паччахьан МешаӀан дуккха а жаш дара. ХӀора шарахь а цхьа бӀе эзар Ӏахар а, цхьа бӀе эзар койн тӀаргӀа а бохьуьйтура МешаӀ-паччахьо исраилхойн паччахьна.</verse>
				<verse number="5">Ткъа Ахьаб велча, муабахойн паччахь исраилхойн паччахьна дуьхьалвелира.</verse>
				<verse number="6">ТӀаккха Йорам-паччахьо, Шамран-гӀалара ара а ваьлла, массо а исраилхошна юкъара эскархой тӀамана схьагулбира.</verse>
				<verse number="7">Цо яхӀудхойн паччахьна ЯхӀушаптина тӀе нах бахийтира. Цуьнга иштта дӀаала элира Йорам-паччахьо: «Муабахойн паччахь суна дуьхьалваьлла, хьо вогӀий соьца муабахошна дуьхьал тӀом бан?» ЯхӀушаптис жоп делира: «Дера вогӀу! Вай гергара ма ду. Сан халкъ — хьан халкъ ду. Сан дой — хьан дой ду», — аьлла.</verse>
				<verse number="8">ЯхӀушаптис хаьттира: «ТӀамца муьлхачу новкъахула даха деза тхо?» «Эдоман яьссачу аренан новкъахула», — жоп делира Йорама.</verse>
				<verse number="9">Иштта цхьаьна новкъа бевлира исраилхойн, яхӀудхойн, эдомхойн а паччахьаш. ВорхӀ дийнахь хьийзаш болу некъ бича, церан эскарна а, царна тӀаьхьахӀиттина догӀучу шайна тӀехь кира дахьачу дийнаташна а мала хи ца дисира.</verse>
				<verse number="10">ТӀаккха исраилхойн паччахьо иштта элира: «Хьажахьа! Везачу Эло, вай кхо паччахь цхьаьна а тоьхна, муабахойн кара дӀавалархьама схьавалийна-кх?»</verse>
				<verse number="11">ЯхӀушаптис хаьттира: «Везачу Элан пайхамарех цхьа а вац те кхузахь, цуьнгахула Везачу Эле хаттар дайта?» «Цкъа мацах Эли-ЯхӀу-пайхамаран ялхо хилла волу Шаптин кӀант ЭлишаӀ ву кхузахь», — аьлла, жоп делира исраилхойн паччахьан тӀеман хьаькамех цхьаммо.</verse>
				<verse number="12">«Цуьнгахула Везачу Элера хаам хуьлу», — элира ЯхӀушаптис. ТӀаккха исраилхойн паччахь а, ЯхӀушапти а, эдомхойн паччахь а ЭлишаӀана тӀевахара.</verse>
				<verse number="13">ЭлишаӀа исраилхойн паччахье элира: «Сан хӀун бала бу хьоьца? Хьайн ден а, ненан а хиллачу пайхамаршна тӀе гӀо». ТӀаккха исраилхойн паччахьо цуьнга элира: «ХӀан-хӀа! ХӀунда аьлча Веза Эла ма ву, тхо кхо паччахь цхьаьна а тоьхна, муабахойн кара дӀавалархьама схьавалийнарг!»</verse>
				<verse number="14">ЭлишаӀ-пайхамаро элира: «Шена ас гӀуллакх деш волчу а, дийна волчу а массо а ницкъийн Везачу Элах чӀагӀо йо аса, яхӀудхойн паччахь ЯхӀушапти айса лоруш вацахьара, со хьо волчу агӀор хьожур а вацара, хьо ган а луур дацара суна аьлла.</verse>
				<verse number="15">Ткъа хӀинца схьавалавел суна тӀе дечиг-пондар локхуш верг». Дечиг-пондар локхуш волчо пондар локхучу хенахь ЭлишаӀах Везачу Элан куьг хьакхаделира.</verse>
				<verse number="16">Цо элира: «Иштта боху Везачу Эло: „ХӀокху тогӀи чохь дуккха а саьнгарш яха“.</verse>
				<verse number="17">ХӀунда аьлча Везачу Эло иштта боху: „Шуна я мох баьлла, я догӀа догӀуш ца гушшехь, хӀара тогӀи хих юзур ю. И хи шуна а, шайна тӀехь кира кхоьхьучу дийнаташна а, шун хьайбанашна а мала хир ду“.</verse>
				<verse number="18">Амма Веза Эла иза дина Ӏийр вац, Цо муабахой а дӀалур бу шун кара.</verse>
				<verse number="19">Аша церан массо а чӀагӀйина йолу гӀаланаш а, массо а коьрта гӀаланаш а хӀаллакйийр ю. Аша дерриг а тоьлла долу дитташ а хедор ду, массо а хин хьоста а лакъор ду. Аренгара тоьлла долу лаьттан дакъош а, тӀе тӀулгаш а кхиссина, талхор ду».</verse>
				<verse number="20">ШолгӀачу дийнахь, Ӏуьйренан сагӀа доккхучу хенахь, цӀеххьана, Эдомера схьабогӀучу новкъахула хи схьахьаьдира. Латта хих дуьзира.</verse>
				<verse number="21">Паччахьаш шайца тӀом бан арабевлла аьлла, дӀахезнера массо а муабахошна. Цундела тӀеман гӀирс лелалуш болу массо а нах, жимачунна тӀера воккхачунна тӀекхаччалц, схьагулбинера цара. Мехкан дозанехь дӀахӀиттийнера уьш.</verse>
				<verse number="22">Ӏуьйранна уьш хьалххе хьалагӀевттира. Хина тӀехула къеггина малх хьалабелира. Генна дӀахьаьжначу муабахошна и хи, цӀий санна, цӀен бос болуш тарделира.</verse>
				<verse number="23">Цара элира: «Иза цӀий ду. Паччахьаша, вовшах а летта, вовшийн хӀаллакбина хир бу. ХӀинца, муабахой, шу хӀонс схьаэца арадовла!»</verse>
				<verse number="24">Муабахой исраилхойн меттаматтана тӀебаьхкира. ХьалагӀевттина исраилхой, муабахошна дуьхьал а бевлла, царна тӀелетира. Муабахой исраилхойх дӀабевдира. Ткъа исраилхоша, муабахойн махка чу а бевлла, уьш байира</verse>
				<verse number="25">Исраилхоша муабахойн гӀаланаш хӀаллакйира. Аренгара тоьллачу дакъошна тӀе, хӀораммо а цхьацца тӀулг а кхоьссина, уьш ца мегачу дехира цара. Дерриге а хьостанаш лакъийра цара. Тоьлла долу дитташ а дӀахедийра. Цхьа Кхир-Хьарсат-гӀала бен дийна ца йиснера. Амма ширдолаг кхуьссурш, гӀалина го а бина, цунна а тӀелетира.</verse>
				<verse number="26">Шаьш эшош хилар гича, муабахойн паччахьо, эдомхойн паччахьна тӀеваха некъ баккха дагахь, карахь тур лелош волу ворхӀ бӀе тӀемало вигира шеца, амма уьш чекх ца бовлабелира.</verse>
				<verse number="27">ТӀаккха муабахойн паччахьо шел тӀаьхьа паччахь хила везаш волу шен кӀентех воккхаха верг, схьа а эцна, шера а, шуьйра а болчу пена тӀехь шен далла лерина сагӀина вагийра. Оцу гӀуллакхо исраилхой чӀогӀа эргӀадбехира. Цундела уьш, цигара юха а бевлла, шайн лаьтта тӀе юхабирзира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">Пайхамарийн тобанера волчу цхьана стеган зудчо, елха а йоьлхуш, бохура ЭлишаӀе: «Хьан ялхо хилла волу сан майра велла. Хьуна хаьа-кх, иза Везачу Элах кхоьруш стаг хиллий. ХӀинца иза декхарийлахь хилла волу стаг, ван а веана, сан ши кӀант дӀавига воллуш ву, царах шена леш бан дагахь».</verse>
				<verse number="2">ЭлишаӀа цуьнга, жоп луш, элира: «Аса хӀун гӀо дийр дара те хьуна? Хьан цӀахь хӀун ю дийцахьа соьга». Зудчо элира: «Сан цӀахь хӀумма а яц-кх, зайтдаьтта чохь долу цхьа жима кхаба йоцург».</verse>
				<verse number="3">ЭлишаӀа элира: «Яло, ара а ялий, массо а хьайн лулахошкара яьсса кхабанаш а ехий, уьш дуккха а схьагулъе.</verse>
				<verse number="4">Цул тӀаьхьа, хьайн цӀа чу а гӀой, хьайна а, хьайн шина кӀантана а тӀаьхьа неӀ тӀечӀагӀа. ТӀаккха хьайн зайтдаьтта оцу массо а кхабанаш чу дотта, юз-юьзнарг юьстах а йоккхуш».</verse>
				<verse number="5">И зуда ЭлишаӀ волчуьра дӀаяхара. ЦӀа а еана, шена а, шен шина кӀантана а тӀаьхьа неӀ тӀечӀегӀира цо. Шина кӀанта яьсса кхабанаш нанна тӀейохьура, ткъа цо уьш зайтдаьттанах хьалаюзура.</verse>
				<verse number="6">Массо а кхабанаш хьалаюьзча, нанас шен кӀанте дехар дира: «Схьакховдаехьа соьга кхин а цхьа кхаба». КӀанта цуьнга жоп делира: «Кхин яьсса кхабанаш яц», — аьлла. ТӀаккха даьтта догӀучуьра сецира.</verse>
				<verse number="7">И зуда Делан стаг волчу еара. Цо дерриг а дӀадийцира цуьнга. ЭлишаӀа цуьнга элира: «Яло, и зайтдаьтта дӀа а дохкий, хьайн декхарш дӀало. Ткъа дисначу ахчанах хьо хьайн берашца ехар ю».</verse>
				<verse number="8">Цхьана дийнахь ЭлишаӀ Шунам-гӀала веара. Цигахь ехаш цхьа хьалдолу зуда яра. Оцу зудчо ЭлишаӀе дехар дира, ша йолчохь хӀума яахьара аьлла. Иштта оцу меттехула чекх мосазза волу а, цигахь хӀума а юуш, соцура ЭлишаӀ.</verse>
				<verse number="9">Оцу зудчо шен майрачуьнга элира: «Суна хаьа, сих-сиха вайн цӀенна уллохула чекхволу и стаг Дала вазвина пайхамар вуйла.</verse>
				<verse number="10">Вайн нийсачу тхов тӀехула, цхьа гӀат тӀе а дай, жимо цхьа чоь тое вай, цу чу оцу стагана дӀавижа мотт а, стол а, гӀант а, къуьда а билла вай? ТӀаккха, иза вайга веача, цу чохь Ӏан йиш хир яра цуьнан».</verse>
				<verse number="11">Цхьана дийнахь ЭлишаӀ цига веара. Иза, хьала тӀе а ваьлла, оцу цӀа чохь садаӀа охьавижира.</verse>
				<verse number="12">ЭлишаӀа шен ялхо волчу ГӀайхьазига элира: «Схьакхайкхахьа оцу шунамхочуьнга». Ялхочо иза схьакхайкхира. Шунамхо, схьа а еана, цунна хьалха дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="13">Шен ялхочуьнга ЭлишаӀа элира: «Хаттахьа оцу зудчуьнга: „Ахьа тхан оццул гӀайгӀа ярна, оха хӀун дика дийр дара те хьуна? Хьайх лаьцна паччахье я эскаран хьаькаме хӀумма а дӀаала лаьий те хьуна?“». Амма цу зудчо жоп делира: «ХӀан-хӀа, ца оьшу. Со сайн халкъана юкъахь ехаш ма ю».</verse>
				<verse number="14">ТӀаккха ЭлишаӀа шен ялхочуьнга хаьттира: «ХӀун дика дийр дара те оцу зудчунна?» — аьлла. ГӀайхьазис жоп делира: «Суна цуьнан кӀант воцийла хаьа, ткъа цуьнан майра воккха стаг ву».</verse>
				<verse number="15">«Схьакхайкхахьа цуьнга», — элира ЭлишаӀа. Ялхочо зудчуьнга схьакхайкхира. Иза неӀаре дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="16">ЭлишаӀа элира цуьнга: «Цхьа шо дӀадаьлча, хӀоккху хенахь, хьан карахь кӀант хир ву!» Ткъа оцу зудчо дуьхьал элира: «ХӀан-хӀа, сан эла! Ма Ӏехаехьа хьайн ялхо йолу со, ва Делан стаг!»</verse>
				<verse number="17">Амма и зуда берах хилира. ТӀедеанчу шеран ЭлишаӀа цуьнга аьллачу хенахь цу зудчун кӀант хилира.</verse>
				<verse number="18">КӀант хьалакхиира. Цхьана дийнахь кха тӀехь ялта хьокхучаьрца цхьаьна волчу шен дена тӀевахара иза.</verse>
				<verse number="19">ЦӀеххьана: «Сан корта лозу! Сан корта лозу!» — элира кӀанта. «Шен нанна тӀе дӀавигал иза», — элира дас ялхочуьнга.</verse>
				<verse number="20">Ялхочо и кӀант, дӀа а вигна, шен нене дӀавелира. Делккъалц шен ненан карахь а Ӏиллина, кӀант велира.</verse>
				<verse number="21">Нанас, хьала а яьлла, Делан стеган метта тӀе охьавиллира шен кӀант. НеӀ тӀе а чӀагӀйина, иза цу чуьра араелира.</verse>
				<verse number="22">ТӀаккха шен майра схьа а кхайкхина, цо цуьнга элира: «Доьху аса хьоьга, цхьа ялхо а, вир а схьаялаяйтахьа. Со, сихха Делан стагана тӀе а кхаьчна, юхайоьрзур яра».</verse>
				<verse number="23">Майрачо элира цуьнга: «Ахьа хӀун до тахана Делан стагана тӀеяхана? Я керла бутт а ца болабелла, я шоьтан де а дац!» «Дерриг а дика ду», — аьлла, жоп делира зудчо.</verse>
				<verse number="24">ТӀаккха, вир дӀа а йожийтина, шен ялхочуьнга цо элира: «Сихха, вир дӀа а озош, дӀаволало! Аса хьайга саца аллалц, саца а ма сацалахь».</verse>
				<verse number="25">И зуда Кармал-лома тӀехь волчу Делан стагана тӀеяхара. Делан стагана геннара гира шена тӀейогӀу шунамхо. Цо шен ялхочуьнга ГӀайхьазига элира: «Хьажахьа, и йогӀург шунамхо ю-кх!</verse>
				<verse number="26">Вало, цунна дуьхьал а гӀой, хатта цуьнга: „ХӀун хилла, могуш юй иза? Хьан хӀусамда а, кӀант а могуш вуй?“» ГӀайхьази цунна тӀекхаьчча, зудчо элира: «Дерриг а дика ду».</verse>
				<verse number="27">Ткъа Делан стаг лаьтташ волчу лома тӀе ша хьалаяьлча, шунамхо цуьнан когех тасаелира. ГӀайхьази иза дӀаяккха дагахь тӀеволавелира, амма Делан стага цуьнга элира: «Ӏадйита ахьа иза, и холчохь ю. Ткъа Везачу Эло иза, соьга схьа а ца олуш, къайладаьккхина сох».</verse>
				<verse number="28">«Сан эла! Аса ма ца вийхира хьоьга кӀант? Со Ӏеха ма ехьа, ца элира аса хьоьга?» — бохура шунамхочо.</verse>
				<verse number="29">ЭлишаӀа ГӀайхьазига иштта элира: «Хьайн гӀодаюкъ а ехкий, сан Ӏаса схьа а эций, дӀаволало. Новкъахь саца а ма саца, цхьаьнгге вист а ма хила. Нагахь хьайна дуьхьал цхьаъ кхетахь, цуьнга маршалла а ма хатта. Хьо дӀакхаьчча, хӀара Ӏаса оцу кӀентан юьхь тӀе йилла».</verse>
				<verse number="30">Амма кӀентан нанас элира: «Дийна волчу Везачу Элах а, дийна волчу хьох а чӀагӀо йо аса, хьо воцуш со дӀагӀург ца хиларх!» ТӀаккха ЭлишаӀ, хьала а гӀаьттина, цунна тӀаьххье дӀавахара.</verse>
				<verse number="31">ГӀайхьази кху шиннал хьалха дӀакхечира. Цо и Ӏаса кӀентан юьхь тӀе охьайиллира, амма кӀант вист ца хуьлура я меттах ца волура. ТӀаккха ГӀайхьази, ара а ваьлла, ЭлишаӀана дуьхьалвахара. «И бер сама ца долу», — элира цо.</verse>
				<verse number="32">ЭлишаӀ цӀа чу велира, ткъа цуьнан меттахь Ӏуьллуш велла кӀант вара.</verse>
				<verse number="33">ЭлишаӀа неӀ тӀечӀегӀира. Ишиъ цхьаьна висича, ЭлишаӀа Везачу Эле доӀа дира.</verse>
				<verse number="34">ТӀаккха, кӀантана тӀе а вахана, цунна тӀехула дӀаса а ваьржина, охьавижира ЭлишаӀ. Цо шен бат кӀентан бетана тӀе, шен бӀаьргаш цуьнан бӀаьргаш тӀе, шен кераяккъаш цуьнан кераяккъаш тӀе ехкира. КӀентан дегӀ дохделира.</verse>
				<verse number="35">ЭлишаӀ, хьала а гӀаьттина, дӀа а, схьа а волавелира. Цул тӀаьхьа, юха а кӀантана улло а вахана, цунна тӀехь дӀасаваьржира ЭлишаӀ. ТӀаккха кӀанта, ворхӀазза хьоршам а тоьхна, шен бӀаьргаш дӀабиллира.</verse>
				<verse number="36">ГӀайхьазига схьа а кхайкхина, ЭлишаӀа элира: «Шунамхо схьакхайкхахьа». ГӀайхьазис схьакхайкхира шунамхо. Иза чу еача, ЭлишаӀа: «Схьаэца хьайн кӀант», — элира цуьнга.</verse>
				<verse number="37">Зуда, ЭлишаӀана тӀе а яхана, цуьнан когашка а йоьжна, лаьтта кхаччалц охьатаьӀира цунна. ТӀаккха, шен кӀант схьа а эцна, чуьра араелира иза.</verse>
				<verse number="38">Махкахь мацалла хӀоьттича, ЭлишаӀ Галгале юхавирзира. Пайхамарийн тобанна хьехам бечу хенахь, шен ялхочуьнга ЭлишаӀа элира: «Боккха яй тӀе а биллий, яа хӀума кечъе пайхамарийн тобанна».</verse>
				<verse number="39">Царах цхьаъ хасстоьмаш даха кха тӀе вахара. Цунна акха кемсийн таьлланг санна йолу цхьа орамат карийра, амма иза кхин тайпа акха орамат яра. Орамат тӀера цхьадолу стоьмаш а гулдина, царах шен бедаран юх юьзира пайхамаро. Цо, юха а вирзина, уьш, хеда а дина, чорпи чу тесира, шена уьш хӀун стоьмаш ду ца хуъушехь.</verse>
				<verse number="40">Пайхамарийн тобанна чорпа йоьттира. Уьш и яа буьйла-ма-белли, массара а маьхьарий хьаькхира: «Делан стаг, кху ена чохь Ӏожалла тӀейоуьйту хӀума ю!» — аьлла. Цаьрга чорпа ца яаелира.</verse>
				<verse number="41">ЭлишаӀа элира: «Дама схьадал». Цо иза ена чу тесира. ТӀаккха цо элира: «ХӀинца чорпа дӀаяийта нахе». Иштта цхьа а зе ца дира нахана цара йиинчу хӀумано.</verse>
				<verse number="42">ЭлишаӀана тӀе БаӀал-Шалшера цхьа хьенех веара. Цо Делан стагана шен дуьххьарлерчу ялтин дакъа деанера. Цуьнан тӀоьрмаг чохь ткъех мекхан бепиг а, керлачу кӀен кенаш а дара. «Уьш нахана дӀа а лой, даийта цаьрга», — элира ЭлишаӀа.</verse>
				<verse number="43">Цуьнан ялхочо элира: «БӀе стагана муха лур ю аса хӀара?» Амма ЭлишаӀа жоп делира: «ДӀало ахьа адамашна и рицкъа. Даийта цаьрга и бепиг. Везачу Эло иштта боху: „Уьш юучух бузур а бу, церан кхин а юьсур а ю“».</verse>
				<verse number="44">ТӀаккха ялхочо и юург пайхамарийн тобанна хьалха охьайиллира. Уьш, Везачу Эло ма-аллара, шаьш юучух буза а буьзира, церан кхин а йиса а йисира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">Арам-мехкан паччахьан тӀемалойн хьаькам вара НаӀаман. Иза ладаме а, ларам болуш а стаг вара шен паччахьна хьалха, хӀунда аьлча арамхошка толам цуьнгахула баккхийтинера Везачу Эло. НаӀаман ша дика тӀемало вара, амма дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар яра цуьнан дегӀаца.</verse>
				<verse number="2">Арамхой шайн тобанашца исраилхошна тӀелеттера. Цкъа иштта уьш цига бахана болуш, цара Исраил-махкара цхьа жима йоӀ йийсаре ялийнера. Иза НаӀаманан зудчунна хьалхара гӀуллакхаш деш яра.</verse>
				<verse number="3">Оцу йоӀа НаӀаманан зудчуьнга элира: «Нагахь сан олахо НаӀаман Шамран-гӀалахь Ӏаш волчу пайхамарна тӀекхачахьара, цо цамгарх товийр вара иза».</verse>
				<verse number="4">НаӀамана шен паччахье дӀадийцира исраилхойн йоӀа шега аьлларг.</verse>
				<verse number="5">«Хьо хӀинцца дӀавало цига, аса исраилхойн паччахье яздина кехат дохьуьйтур ду хьоьца» — элира паччахьо. НаӀамана, дӀа а вахана, ткъа пунт дети а, ялх эзар шекхал барамехь деши а, хуьйцуш тӀеюха итт бедар а схьаийцира шеца.</verse>
				<verse number="6">Цо кехат дӀаделира исраилхойн паччахье. Цу кехат тӀехь яздина дара: «ХӀокху кехатца аса сайн ялхо волу НаӀаман воуьйту, цунна тӀера чкъуран цамгар хьоьга дӀаяккхийтархьама».</verse>
				<verse number="7">Исраилхойн паччахьо, кехат дӀа а дешна, шена тӀера бедар а этӀийна, элира: «Со Дела-м вац, адам дер я дендар карахь долуш? Суна тӀе хӀунда ваийтина цо дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар йолу стаг, тове аьлла? ХӀинца хаа ду шуна, иза суна тӀамца дуьхьалвала бахьана лоьхуш вуйла».</verse>
				<verse number="8">Делан стагана ЭлишаӀана дӀахезира, исраилхойн паччахьо шена тӀера бедар этӀийна аьлла. ТӀаккха цо паччахьна тӀе ялхо вахийтира, ахьа хьайна тӀера бедар стенна этӀийна аьлла. «И стаг суна тӀеваийта, Исраил-махкахь пайхамар вуйла хаийтархьама» — элира ЭлишаӀа.</verse>
				<verse number="9">ТӀаккха НаӀаман, дой а далош, шен гӀудалкха тӀехь схьакхечира. Иза ЭлишаӀан цӀийнан кевнехь сецира.</verse>
				<verse number="10">ЭлишаӀа шен ялхо вахийтира цуьнга дӀаала: «Ваха а гӀой, Йордан-хи чохь ворхӀазза лийча, тӀаккха хьан дегӀ, карла а даьлла, цӀанлур ду».</verse>
				<verse number="11">НаӀаман, чӀогӀа оьгӀаз а вахана, дӀавахара. Цо элира: «Суна-м моьттура, ЭлишаӀа, суна дуьхьал а хӀоьттина, шен Везачу Деле а кхойкхуш, сан дегӀах куьг а хьаькхна, цамгар дӀайоккхур ю.</verse>
				<verse number="12">Дамасакхера Амана а, Парпар а цӀе йолу хиш хӀумма а оьшуш дац-кх массо а Исраил-махкарчу хил? Оцу хиш чу ваьлчхьана, цӀанлур вацара со?» Иза а аьлла, оьгӀаз а вахана, юха а вирзина, дӀавахара НаӀаман.</verse>
				<verse number="13">Цуьнан ялхоша, тӀе а бахана, элира цуьнга: «Тхан эла, нагахь санна пайхамар цхьа доккха хӀума хьоьга ала воллуш хиллехь, ахьа ладугӀур дацара цуьнга? Цо хьоьга де аьлларг-м оццул хала хӀума а дац: „Хи чохь лийча, тӀаккха цӀанлур ву хьо“, — алар бен».</verse>
				<verse number="14">ТӀаккха НаӀаман, хин тогӀи чу охьа а воьссина, ворхӀазза Йордан-хи чу велира, Делан стага шега ма-аллара. Цуьнан дегӀ, жимачу беран санна, карла а даьлла, цӀанделира.</verse>
				<verse number="15">НаӀаман, шеца хилла болу нах а балош, ЭлишаӀ волчу юхавеара. Цо, пайхамарна хьалха дӀа а хӀоьттина, элира: «ХӀинца хиъна суна хӀокху дуьнен чохь, Исраилан халкъан Дела воцург, кхин дела воцийла. ДӀаэцахьа хьайн лай волчуьнгара хӀара совгӀат».</verse>
				<verse number="16">Пайхамара элира: «Шена айса гӀуллакх дечу дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо аса иза схьаоьцург ца хиларх». НаӀамана мел дехарш дарх а, ЭлишаӀ реза ца хилира совгӀат дӀаэца.</verse>
				<verse number="17">ТӀаккха НаӀамана элира: «Иза иштта делахь, ахьа хьайн лай волчу суна шина вирбӀарзане дахьалур долччул исраилхойн латта лохьа, хӀунда аьлча аса кхин цкъа а доккхур дац дагоран сагӀа а, сагӀина хӀума а яхьар яц цхьанна а кхечу деланашна, Веза Эла воцчунна.</verse>
				<verse number="18">Ткъа хьан лай волчу аса Везачу Эле доьху, сан цхьана гӀуллакхна гечдехьа: нагахь сан олахо волчу арамхойн паччахьо Римун-гӀалахь цӀу-далла Ӏибадат деш, иза суна тӀетовжахь, со цуьнца цхьаьна суждане ваха везар ву. Эццахь со суждане вахарна, суна гечдойла Везачу Эло».</verse>
				<verse number="19">Делан стага элира: «Маьрша гӀойла хьо». НаӀаман дӀаволавелира. Иза ЭлишаӀан цӀенна жимма дехьаваьлча,</verse>
				<verse number="20">Делан стеган ЭлишаӀан ялхочо ГӀайхьазис ша-шега элира: «Сан олахочунна ца лии оцу арамхочуьнгара НаӀаманера цо деана совгӀат схьаэца. Дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо аса, цунна тӀаьхьа а ведда, аса сайна цхьа хӀума схьаоьцург хиларх».</verse>
				<verse number="21">ГӀайхьази НаӀаманна тӀаьхьаведира. Шена тӀаьхьа ведда вогӀург а гина, НаӀаман, гӀудалкх тӀера охьа а воьссина, вогӀучунна дуьхьалвахара. «ХӀумма-м ца хилла?» — хаьттира цо ГӀайхьазига.</verse>
				<verse number="22">«ХӀумма а ца хилла, — аьлла, жоп делира ялхочо. — Сан олахочо хьоьга хӀара ала ваийтина со: „Эпрайм-лаьмнашкарчу пайхамарийн тобанера ши пайхамар веана со волчу хӀинцца. Доьху хьоьга, царна ши пунт дети а, хуьйцуш тӀеюха ши бедар а яийтахьа“».</verse>
				<verse number="23">НаӀамана элира: «Схьаэцахьа йиъ пунт дети». Цо дехарш дора, схьаэца бохуш. ТӀаккха дети а, хуьйцуш юха ши бедар а, шина тӀоьрмаг чу а йиллина, иза дӀабихкира НаӀамана. Шен ялхойх шиъ, ГӀайхьазина хьалха а ваьккхина, и тӀоьрмагаш цаьрга дӀабахьийтира цо.</verse>
				<verse number="24">Уьш гунна тӀебевлча, церан карара тӀоьрмагаш схьаийцира ГӀайхьазис. И хӀуманаш цӀа чохь дӀалачкъийра цо, ткъа ши ялхо дӀавахийтира.</verse>
				<verse number="25">ГӀайхьази, чу а веана, ЭлишаӀана хьалха дӀахӀоьттира. ЭлишаӀа цуьнга хаьттира: «Хьо стенга ваханера, ГӀайхьази?» «Хьан лай волу со-м цхьанххьа а ца ваханера», — аьлла, жоп делира ГӀайхьазис.</verse>
				<verse number="26">«И бакъ дац, — элира пайхамаро ялхочуьнга. — Сан дог хьоьца дара, и стаг, шен гӀудалкха чуьра охьа а воьссина, хьуна дуьхьалвогӀуш. Ахча, бедар, зайт-диттийн боьлакаш, кемсийн бошмаш, уьстагӀий, хьелий, леш я гӀарбашаш цхьаьнггара а схьаоьцу зама ма яц хӀара!</verse>
				<verse number="27">ХӀинца дуьйна НаӀаманан хилла йолу чкъуран цамгар хьуна а, хьан тӀаьхьенна а тӀехь хир ю массо а ханна». Оцу чкъуран цамгаро ло санна кӀайвина, аравелира ГӀайхьази ЭлишаӀ волчуьра.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="6">
				<verse number="1">Пайхамарийн тобано ЭлишаӀе элира: «Хьуна юххехь тхо Ӏаш долу хӀара меттиг тхуна готто ю.</verse>
				<verse number="2">Оха, Йордан-хи йисте а дахана, хӀораммо а цигара цхьацца диттан хен схьа а эцна, тхайна Ӏан меттиг югӀур ю цигахь». «Мегар ду, дӀагӀо шу», — элира ЭлишаӀа.</verse>
				<verse number="3">Оцу тобанера цхьаммо дийхира: «Хьайна хала дацахь, хьо а волахьа тхоьца», — аьлла. «Дика ду, вогӀур ву со», — элира ЭлишаӀа.</verse>
				<verse number="4">Иза цаьрца вахара. Йордан-хина тӀекхаьчча, дитташ хедо буьйлабелира уьш.</verse>
				<verse number="5">Царах цхьаммо дитт охьадожочу хенахь, цуьнан диг хи чу дуьйжира, дага карахь а юьсуш. Цо, мохь а хьаькхна, элира: «Ва, сан эла! Иза-х аса духалург даьккхина ма дара!»</verse>
				<verse number="6">Делан стага хаьттира: «Мичахь чудоьжна иза?» Вукху пайхамаро гайтира и меттиг. ЭлишаӀа, дечигах чеш а даьккхина, иза хи чу а кхоьссина, дагаран аьчка декъе нека дайтира.</verse>
				<verse number="7">«ДӀаэца хьайна», — элира ЭлишаӀ-пайхамаро. Вукхо шен куьг дӀа а кховдийна, диг схьаийцира.</verse>
				<verse number="8">Арамхойн паччахь тӀамца исраилхошна дуьхьалвелира. Цо, шен тӀеман хьаькамех дага а волуш, цаьрга дӀахаийтира цхьана меттигехь шен меттамотт дӀахӀотторг хилар.</verse>
				<verse number="9">Делан стага исраилхойн паччахьна тӀе геланча вахийтира. Цо паччахье хаам бира: «Оцу меттигашкахула чекх ма валалахь, хӀунда аьлча цигахь арамхоша кӀело йина», — аьлла.</verse>
				<verse number="10">Исраилхойн паччахьо тӀемалой бахийтира Делан стага билгалъяьккхинчу меттиге хьовса. Цигарчу нахе цо дӀахьедар а дина, шаьш мостагӀех ларбира цара. Иштта, цкъа-шозза хилла а ца Ӏаш, дукхазза а хилира.</verse>
				<verse number="11">Арамхойн паччахь оцу гӀуллакхна дог доьхна вара. Цо, шен тӀеман хьаькамаш а гулбина, цаьрга хаьттира: «Схьадийцийша соьга, мила ву шух, исраилхойн паччахьца а тайна, суна ямартло йийриг».</verse>
				<verse number="12">«Тхох-м цхьа а вац, сан паччахь. Амма исраилхойн ЭлишаӀ-пайхамар ву, цо шайн паччахье ур-атталла ахьа хьайн охьавуьжучу цӀа чохь аьлларг а дӀадуьйцу», — жоп делира паччахьан тӀеман хьаькамех цхьаммо.</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха арамхойн паччахьо элира: «Даха а гӀой, иза мичахь ву хьовса шу. Аса, эскархой а бахийтина, иза лоцуьйтур ву». Пайхамар Дотан-гӀалахь ву аьлла, хаам бира паччахье.</verse>
				<verse number="14">Цо дой а, гӀудалкхаш а йолу доккха эскар дахийтира цу гӀала. Цара буьйсанна, схьа а баьхкина, гӀалина го бира.</verse>
				<verse number="15">Оцу Ӏуьйранна ЭлишаӀан ялхо хьалххе хьалагӀаьттира. Иза араваьлча, гӀалина гобаьккхина лаьтташ долу, юкъахь дой а, гӀудалкхаш а йолу эскар гира цунна. Цо ЭлишаӀе элира: «Ва, сан эла, вай хӀун дан деза те?»</verse>
				<verse number="16">ЭлишаӀа элира: «Хьо кхера ма ло! Вайца берш, цаьрца болчарал сов бу».</verse>
				<verse number="17">ТӀаккха ЭлишаӀа, доӀа а деш, элира: «Ва Веза Эла! Кхуьнан бӀаьргаш схьаделлахьа, са гайтархьама». Везачу Эло оцу ялхочун бӀаьргаш схьадиллира. ТӀаккха цунна гира ЭлишаӀана гонах лам цӀеран дойх а, гӀудалкхех а буьзна хилар.</verse>
				<verse number="18">Арамхой шена тӀегӀоьртича, ЭлишаӀа Везачу Эле доӀа дира. Цо дийхира: «БӀаьрзе бехьа уьш», — аьлла. Везачу Эло, ЭлишаӀа ма-деххара, бӀаьрзе бира уьш.</verse>
				<verse number="19">«ХӀара аша бан беза некъ а ма бац, хӀара аша лоьху гӀала а ма яц. Суна тӀаьхьахӀитта, аша лоьхучу стагана тӀедуьгур ду аса шу», — элира ЭлишаӀа цаьрга. Иштта уьш Шамран-гӀалина тӀебигира ЭлишаӀа.</verse>
				<verse number="20">Шаьш Шамран-гӀала схьакхаьчча, ЭлишаӀа элира: «Веза Эла! Церан бӀаьргаш схьаделлахьа, царна са гайтархьама». Везачу Эло церан бӀаьргаш схьадиллира, тӀаккха шаьш Шамран-гӀалахь хилар гира царна.</verse>
				<verse number="21">Шена уьш гича, исраилхойн паччахьо ЭлишаӀе хаьттира: «Сан да, уьш байа безий те аса?»</verse>
				<verse number="22">«ХӀан-хӀа, ма байа ахьа уьш, — жоп делира ЭлишаӀа. — Ахьа-айхьа туьраца а, Ӏодаца а йийсаре бигнарш бойур ма бацара. Царна бепиг а, хи а ло. Юург а яийна, хи а малийна, цӀа дӀахеца ахьа уьш шайн паччахьна тӀе».</verse>
				<verse number="23">Исраилхойн паччахьо царна доккха той дӀахӀоттийра. Цара йиъна а, мелла а чул тӀаьхьа, цо уьш цӀа дӀахьажийра шайн паччахьна тӀе. Цул тӀаьхьа кхин ца яьхкира арамхойн эскарийн ардангаш исраилхойн лаьтта тӀе.</verse>
				<verse number="24">И дерриг хиллачул тӀаьхьа арамхойн паччахьо Бен-Хьадида, шен дерриг а эскар схьагулдира. ТӀаккха, Шамран-гӀалина тӀе а вахана, цунна го бира цо.</verse>
				<verse number="25">Цу хенахь йоккха мацалла хӀоьттира оцу гӀалахь. Ур-атталла виран коьртах а дато дезткъа ахча доьхура, ткъа кхокхийн боьхаллин цхьана кедах дато пхи ахча доьхура.</verse>
				<verse number="26">Цхьана дийнахь исраилхойн паччахь гӀалин шуьйра а, нийса а болчу пенна тӀехула лелаш вара. Ткъа цхьана зудчо, чӀогӀа елха а йоьлхуш, бохура: «Сан паччахь, гӀо дехьа суна».</verse>
				<verse number="27">Паччахьо жоп делира цунна: «Везачу Эло а хьуна гӀо ца дича, аса хӀун гӀо дийр ду хьуна? Сан хьуна яла хӀумма а яц. Я кӀа а, я чагӀар а дуй ткъа соьгахь?»</verse>
				<verse number="28">ТӀаккха паччахьо хаьттира оцу зудчуьнга: «Хьуна хӀун лаьа?» Зудчо дийцира паччахье: «ХӀокху зудчо соьга элира: „Ахьа хьайн кӀант схьало, иза тахана вуур ву вай, ткъа сайниг кхана вуур ву“.</verse>
				<verse number="29">Оха, сан кӀант кхехка а вина, виира. ШолгӀачу дийнахь аса элира: „Схьава хьайн кӀант, хӀинца иза вуур ву вай“. Амма цо шен кӀант дӀалачкъийна!»</verse>
				<verse number="30">Шена и дешнаш дӀахезча, паччахьо шен тӀехулара бедар этӀийра. Иза шуьйра а, нийса а болчу пенна тӀехула чекхволуш, нахана цуьнан дегӀа тӀера сингаттаман бедар гира.</verse>
				<verse number="31">«Везачу Эло, Шен лааме хьаьжжина, луьра таӀзар дойла суна, нагахь Шаптин кӀант волчу ЭлишаӀан корта тахана цуьнан белшаш тӀехь бисахь!» — элира паччахьо.</verse>
				<verse number="32">Исраилхойн паччахьо геланча вахийтира ЭлишаӀана тӀе. ЭлишаӀ шен цӀа чохь вара. И волчохь хевшина Ӏаш къаной а бара. И геланча шена тӀе а вале, ЭлишаӀа элира: «Суна хаийтинарг хаьий те шуна? Оцу адамаш хӀаллакдеш волчо, сан корта тӀерабаккха, цхьаъ схьахьажош ву! И геланча схьакхаьчча, неӀ дӀакъовлалаш! НеӀ тӀе а таттий, чу ма виталаш иза. Цунна тӀаьххье схьавогӀучу цуьнан олахочун когийн тата а ду суна хезаш!»</verse>
				<verse number="33">ЭлишаӀ къаношка и бохуш воллучу хенахь, геланча цунна тӀе схьавеара. Цо паччахьан дешнаш схьаэлира: «ХӀара бала Везачу Элера тӀебеана бу! ХӀунда Ӏан веза со, Веза Эла варе ла а доьгӀуш?»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="7">
				<verse number="1">ЭлишаӀа элира: «Везачу Элан даше ладогӀийша! Иштта боху Везачу Эло: „Кхана хӀоккху хенахь тоьллачу деман цхьана саьхьан мах цхьа шекхал бен хир бац, ткъа мекхан шина саьхьан мах а хир бу цхьа шекхал. Иза Шамран-гӀалин кевнехь духкур ду“».</verse>
				<verse number="2">ТӀаккха паччахьо шен куьг тӀетовжош волчу тӀеман хьаькамо Делан стаге элира: «Нагахь Везачу Эло стигалахь кораш даьхча а, хила тарлой те иза?» Вукхо жоп делира: «Хьан бӀаьргашна иза гур ду, амма цунах хӀумма а ахьа юур яц!»</verse>
				<verse number="3">Шайна тӀехь дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар йолу виъ стаг вара гӀалин кевнехь хиъна Ӏаш. Цара вовшашка бохура: «Кхузахь ваьш даларе ла а доьгӀуш, хевшина Ӏийна хӀун дийр ду вай?</verse>
				<verse number="4">Шамран-гӀалахь мацалла ю, вай цига дахча а лийр ду. Ткъа вай кхузахь хевшина Ӏийча а лийр ду. Арамхой севцинчу метте гӀой вай? Ваьш цара дийна дитахь, Ӏийр ду вай, ткъа дайахь — лийр ду».</verse>
				<verse number="5">Суьйранна арамхойн меттаматтана тӀебахара уьш. Улло а бахана, уьш хьаьвсича, цигахь цхьа а адам дацара.</verse>
				<verse number="6">ЙогӀучу гӀудалкхийн татанаш а, дойн терсар а, догӀучу доккхачу эскаран гӀовгӀа а ю моттадалийтинера Везачу Эло арамхойн эскарна. ТӀаккха цара вовшашка аьллера: «Тешна, вайна дуьхьал тӀом байтархьама, исраилхойн паччахьо хьетахойн а, мисархойн а паччахьаш лаьцна хир бу».</verse>
				<verse number="7">МаьркӀажхенахь шайн четарш а, дой а, варраш а юьтуш, шайн меттамотт дӀа а тесна, шайн синош кӀелхьар а дохуш, дӀабевддера уьш.</verse>
				<verse number="8">Цамгар кхетта волу и виъ стаг, меттаматтана йисте а кхаьчна, четарех цхьанна чувелира. Цара яа а йиира, мала а мелира цу чохь. ТӀаккха четар чуьра дети а, деши а, тӀеюха бедарш а, схьа а эцна, дӀа а бахана, и хӀуманаш дӀалачкъийра цара. Юха а бирзина, цара шолгӀачу четар чуьра а еза хӀуманаш, схьа а эцна, уьш а дӀалачкъийра.</verse>
				<verse number="9">Цара вовшашка элира: «Вай нийса лелаш дац! Хаза хаам хилла де ду хӀара, ткъа вай, и дӀа а ца буьйцуш, Ӏаш ду. Нагахь вай кхузахь сатассалц Ӏахь, вайна таӀзар дийр ду. Вай, дахана, паччахьан цӀахь хӀара гӀуллакх дӀахаийта деза».</verse>
				<verse number="10">Цара, тӀе а бахана, гӀалин кевнехь лаьттачу гӀаролехь болчаьрга схьакхайкхира. Цара, дерриг а дӀа а дуьйцуш, элира: «Тхо арамхойн меттаматтана тӀедахара, амма цигахь цхьа а адам дацара я адаман аз а дацара хезаш. Ткъа лаьтташ яра йихкина говраш, варраш. Даьсса четарш дара, шаьш ма-хиллара, лаьтташ».</verse>
				<verse number="11">ГӀаролехь болчара и кхаъ дӀакхайкхийра, иза паччахьан цӀа чу а кхечира.</verse>
				<verse number="12">Паччахьо, буьйсанна хьала а гӀаьттина, шен тӀеман хьаькамашка элира: «Арамхой шуна хӀун дан бохку дуьйцур ду ас шуьга. Царна хаьа вайга мацалла хӀоьттинийла, цундела уьш, шаьш болчуьра дӀа а бевлла, аренгахь дӀахьулбелла. Царна дагахь хир ду: „Исраилхой гӀалара арабевлча, уьш дийна боллушехь схьа а лецна, вай гӀали чу девр ду“».</verse>
				<verse number="13">Паччахьан тӀеман хьаькамех цхьаммо элира: «Вайн дийна бисина болу пхи дин, схьа а эций, вайн нах бахийта цига. И говраш хӀетте а лийр ю-кх, гӀалахь белла болу массо а нах санна. Уьш а бахийтина, хьовсий вай, цигахь хӀун ду?»</verse>
				<verse number="14">Говраш а йоьжна, ши гӀудалкх а, нах а бахийтира паччахьо арамхойн эскарна тӀаьхьа. «ГӀой, хьовсийша, хӀун ду те эццахь дерг», — элира паччахьо.</verse>
				<verse number="15">Уьш Йордан-хина тӀекхаччалц дӀабахара. Сихбелла, бевдда боьлхучу арамхоша охьаэгийна бедарш а, герз а дара некъан бохалла Ӏуьллуш. Паччахьо бахийтинчара, юха а бирзина, иза цуьнга дӀадийцира.</verse>
				<verse number="16">Халкъо, ара а даьлла, арамхойн четарш чуьра ерриг а хӀума схьаийцира. Везачу Эло ма-аллара, тоьллачу деман саьхьан мах цхьа шекхал, ткъа мекхан шина саьхьан мах а изза хилира.</verse>
				<verse number="17">Куьг тӀетовжош хилла волу шен тӀеман хьаькам паччахьо гӀалин кевнехь гӀаролехь дӀахӀоттийнера. Ткъа халкъо и тӀеман хьаькам кевнехь хьаьшира. Иза цигахь велира. Ша волчу паччахь веанчу хенахь, Делан стага цуьнга хир ду ма-аллара, дерриг а кхочушхилира.</verse>
				<verse number="18">Делан стага паччахье: «Кхана хӀоккху хенахь тоьллачу деман цхьана саьхьан мах цхьа шекхал хир бу, ткъа мекхан шина саьхьан мах а хир бу цхьа шекхал. Иза Шамран-гӀалин кевнехь духкур ду», — аьллачу хенахь,</verse>
				<verse number="19">тӀеман хьаькамо аьллера Делан стаге: «Нагахь Везачу Эло стигалахь кораш даьхча а, хила тарлой те иза?» Ткъа Делан стага хӀетахь аьллера: «Хьан бӀаьргашна иза гур ду, амма цунах хӀумма а ахьа юур яц!»</verse>
				<verse number="20">Оцу ялхочунна аьлларг хила а хилира: халкъо кевнехь хьаша а хьаьшна, иза велира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="8">
				<verse number="1">Ша веллачуьра денвина хиллачу кӀентан нене ЭлишаӀ-пайхамаро аьллера: «Хьала а гӀаттий, хьо а, хьан цӀеранаш а цхьанхьа шайн Ӏен таро йолчу метте дӀагӀо, хӀунда аьлча Везачу Эло сацам бина, кху махкахь ворхӀ шарахь мацалла лаьттар ю аьлла».</verse>
				<verse number="2">Оцу зудчо Делан стага шега аьлларг динера. Цо а, цуьнан цӀерачара а, дӀа а бахана, пӀелаштамхойн махкахь ворхӀ шо даьккхинера.</verse>
				<verse number="3">ВорхӀ шо чекхдаьлча, и зуда юхайирзира пӀелаштамхойн махкара. Цо, паччахь волчу а яхана, шен цӀа а, шен аре а шена схьаялар дийхира.</verse>
				<verse number="4">Ткъа паччахь цу хенахь Делан стеган ялхочуьнца ГӀайхьазица къамел деш вара. Цо бохура: «Дийцахьа соьга ЭлишаӀа мел динчу тамашийначу гӀуллакхех лаьцна».</verse>
				<verse number="5">ЭлишаӀа веллачуьра кӀант денварх лаьцна ГӀайхьази къамел деш воллучу хенахь, цу кӀентан нана, паччахье шен цӀа а, аре а юха а шен дола яккхийтахьара бохуш, доьхуш йоллура. Ткъа ГӀайхьазис элира: «Сан паччахь волу олахо, хӀара шиъ ду-кх ЭлишаӀа денвина кӀант а, цуьнан нана а».</verse>
				<verse number="6">Паччахьо оцу зудчуьнга хеттарш дира, ткъа зудчо дерриг а дӀадийцира. ТӀаккха паччахьо шен кертахь гӀуллакх деш болчех цхьаъ вахийтира цуьнца. Паччахьо элира: «Оцу зудчунна цуьнан долахь хилларг дерриг а юхадерзаде. Иза цӀера яьлла хиллачу хенахь дуьйна таханлерчу денна тӀекхаччалц, цуьнан кха тӀера баьллачу пайданах цунна доггӀург дӀа а ло».</verse>
				<verse number="7">Арамхойн паччахь Бен-Хьадид цомгуш волчу хенахь, ЭлишаӀ Дамасакхе веанера. Делан стаг цу гӀала веана аьлла хаам паччахьна тӀе кхаьчча,</verse>
				<verse number="8">паччахьо Хьазиале элира: «СовгӀат схьа а эций, Делан стагана дуьхьал гӀо. Цуьнга Везачу Эле хаттар дайта: „Кху цамгарх толур вуй со?“ — аьлла».</verse>
				<verse number="9">Шовзткъа эмкална Дамасакх-гӀалара уггар тоьлла долу совгӀаташ тӀе а дехкина, Хьазиал ЭлишаӀана тӀевеара. Цунна хьалха дӀа а хӀоьттина, Хьазиала элира: «Арамхойн паччахь волчу хьан кӀанта Бен-Хьадида, хьуна тӀеваийтина со: „Кху цамгарх толур вуй те со?“ — аьлла, хаттар дан».</verse>
				<verse number="10">ЭлишаӀа цуьнга жоп делира: «ДӀа а гӀой: „Хьо толур ву“, — ала цуьнга. Амма Везачу Эло, Бен-Хьадид лийр ву аьлла, дӀадиллина суна», — элира ЭлишаӀа.</verse>
				<verse number="11">ЭлишаӀ Хьазиале леррина дӀахьоьжура, иза воххалц. ТӀаккха Делан стаг вилхира.</verse>
				<verse number="12">Хьазиала хаьттира: «Хьо хӀунда воьлху, сан эла?» «Дера воьлху, ахьа Исраилан халкъана хӀун зулам дахьар ду сайна хиъна дела. Ахьа церан гӀепаш ягор ю, кӀентий тур детташ бойур бу, декхаш долу бераш а хьоьшур ду, берах болу зударий а цоьстур бу», — жоп делира ЭлишаӀа.</verse>
				<verse number="13">Хьазиала элира: «Хьан лай волу со, жӀаьла, мила вара оццул доккха долу гӀуллакх кхочушдаллал?» ТӀаккха ЭлишаӀа элира: «Везачу Эло дӀадиллина суна арамхойн паччахь хила хьо билгалваьккхина хилар».</verse>
				<verse number="14">ЭлишаӀ волчуьра дӀа а вахана, шен паччахь волчу веара Хьазиал. Паччахьо хаьттира: «ХӀун элира хьоьга ЭлишаӀа?» «Цо соьга элира, хьо толур ву», — аьлла, жоп делира Хьазиала.</verse>
				<verse number="15">ШолгӀачу дийнахь Хьазиала, стомма юргӀа схьа а эцна, иза, хи чохь даша а дина, паччахьан юьхь тӀе тесира, ткъа важа велира. Цуьнан метта Хьазиал, паччахь а хилла, дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="16">Ахьабан кӀанта Йорама Исраилан халкъана тӀехь паччахьалла до пхоьалгӀа шо долуш, ЯхӀудан халкъана тӀехь ЯхӀушапти паччахь волуш, яхӀудхойн кхин паччахь дӀахӀоьттира ЯхӀушаптин кӀант ЯхӀурам.</verse>
				<verse number="17">ЯхӀураман ткъе шийтта шо дара, иза яхӀудхойн паччахь дӀахӀоьттича. Цо бархӀ шарахь Ярушалаймехь паччахьалла дира.</verse>
				<verse number="18">Иза а вара исраилхойн паччахьаша лелийна боллу некъ лелош, Ахьабан цӀийнах берш ма-леллара, хӀунда аьлча Ахьабан йоӀ цуьнан зуда яра. ЯхӀурама а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора.</verse>
				<verse number="19">Делахь а Везачу Элана, Шен ялхо волчу Даудан дуьхьа, ЯхӀудан халкъ хӀаллакдан ца лаьара. Цуьнан тӀаьхьенна гуттаренна а паччахьалла дар лур ду аьлла, Даудана чӀагӀо ма йинера Везачу Эло.</verse>
				<verse number="20">ЯхӀурама паччахьалла дечу хенахь Эдоман халкъ, ЯхӀудан халкъан карара кӀелхьара а долуш, цунна дуьхьалделира. Цара шайн паччахь дӀахӀоттийра.</verse>
				<verse number="21">ЯхӀурам шен ерриге а гӀудалкхашца ЦаӀир-гӀала вахара. Иза, буьйсанна тӀе а гӀоьртина, шайна го бина болчу эдомхошна а, гӀудалкхашна тӀера церан хьаькамашна а тӀелетира. Ткъа яхӀудхойн эскархой шайн цӀеношка дӀасабевдира.</verse>
				<verse number="22">Эдоман халкъ таханлерчу денна тӀекхаччалц яхӀудхойн карара дӀадалларх иштта Ӏаш ду. Оццу заманахь Либна-гӀала а яхӀудхошна дуьхьалъяьллера.</verse>
				<verse number="23">ЯхӀурамах лаьцна — цо мел динчу гӀуллакхех лаьцна — яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь.</verse>
				<verse number="24">ТӀаккха ЯхӀурам, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза царна уллохь Даудан гӀалахь дӀавоьллира. ЯхӀураман метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Ахьаз-ЯхӀу.</verse>
				<verse number="25">Исраилхойн паччахь волчу Ахьабан кӀанта Йорама паччахьалла до шуьйтталгӀа шо долуш хилира яхӀудхойн паччахьан ЯхӀураман кӀантах Ахьаз-ЯхӀух паччахь.</verse>
				<verse number="26">Ахьаз-ЯхӀу паччахь хӀоьттинчу хенахь, цуьнан ткъе ши шо дара. Цо цхьана шарахь Ярушалаймехь паччахьалла дира. Цуьнан ненан цӀе Ӏатал-ЯхӀу яра. Иза исраилхойн паччахь волчу Ӏумарин кӀентан йоӀ яра.</verse>
				<verse number="27">Ахьаз-ЯхӀу а вара Ахьабан цӀийнах болчийн некъахула лелаш. Ахьабан цӀийнах болчара санна, цо а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора, хӀунда аьлча шен ненехула иза Ахьабан цӀийнаца гергарло долуш вара.</verse>
				<verse number="28">Ахьабан кӀантаца Йорамца арамхойн паччахьна Хьазиална дуьхьал тӀом бан вахара Ахьаз-ЯхӀу. Иза ГалӀадера Рамат-гӀалахь дара. Арамхоша Йорамна чов йира.</verse>
				<verse number="29">Йорам-паччахь тӀамера юхавирзира, Рамат-гӀалахь арамхойн паччахьца Хьазиалца тӀом бечу хенахь шена арамхоша йинчу чевнашна ИзраӀал-гӀалахь дарбанаш леладайтархьама. Ткъа яхӀудхойн паччахь волу ЯхӀураман кӀант Ахьаз-ЯхӀу а веанера ИзраӀал-гӀала, цомгуш волу Ахьабан кӀант Йорам муьлхачу хьолехь ву хьажархьама.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="9">
				<verse number="1">ЭлишаӀ-пайхамаро, къоначу пайхамарех цхьаъ шена тӀе а кхайкхина, цуьнга элира: «Хьайн гӀодаюкъ а ехкий, хӀара зайтдаьтта чохь долу кхаба схьа а эций, ГалӀад-махкарчу Рамат-гӀала дӀагӀо.</verse>
				<verse number="2">Хьо цига дӀакхаьчча, Нимшайн кӀентан ЯхӀушаптин кӀант ЯхӀу схьа а къаставой, цунна тӀе а гӀой, цуьнга шен накъосташна юкъара схьавола а алий, иза ша чухуларчу цӀа чу ваккха.</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха, хьайгара зайтдаьтта чохь долу кхаба схьа а эций, и даьтта цуьнан коьрта тӀе а доттий, цуьнга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Хьо Исраилан халкъана тӀехь паччахь хила къобалво Аса’. Цул тӀаьхьа, неӀ дӀа а еллий, дӀавада, сеца а ца соьцуш“».</verse>
				<verse number="4">Къона пайхамар ГалӀад-махкарчу Рамат-гӀала вахара.</verse>
				<verse number="5">Иза цига дӀакхаьчча, охьахевшина болу тӀеман хьаькамаш гира цунна. Къонахчо элира: «ТӀеман хьаькам, хьоьга ала цхьа дош ду сан». ЯхӀус хаьттира: «Тхох муьлхачуьнга ду хьан дош?» «Хьоьга ду, тӀеман хьаькам», — аьлла, жоп делира къонахчо.</verse>
				<verse number="6">Иза, хьала а гӀаьттина, цӀа чу велира. Къонахчо, цуьнан коьрта тӀе зайтдаьтта а доьттина, элира цуьнга: «Иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: „Хьо паччахь хила къобалво Аса Везачу Элан халкъ долчу Исраилан халкъана тӀехь.</verse>
				<verse number="7">Ахьа хьайн олахочун Ахьабан цӀа хӀаллакдан деза. Иза ахьа дийр ду Изабалан карах беллачу Сан пайхамарийн а, Везачу Элан хиллачу массо а ялхойн а Ӏаьнначу цӀийна тӀера Соьга бекхам байтархьама.</verse>
				<verse number="8">Ахьабан дерриг цӀа а хӀаллакьхир ду. Аса хӀаллаквийр ву Ахьабан цӀийнах схьаваьлла массо а боьрша стаг — чувоьллина я маьрша иза велахь а.</verse>
				<verse number="9">НабатӀан кӀентан ЯрбаӀаман цӀенна а, АхьъяхӀун кӀентан БаӀшин цӀенна а диннарг дина дӀахӀоттор ду Аса Ахьабан цӀенна а.</verse>
				<verse number="10">Ткъа Изабалах лаьцна аьлча, ИзраӀална уллохь долчу цхьана кха тӀехь жӀаьлеша юур ю иза, цхьаммо а иза дӀаюллур а яц“». ТӀаккха, неӀ дӀа а йиллина, къонах дӀаведира.</verse>
				<verse number="11">ЯхӀу паччахьан вукху тӀеман хьаькамашна тӀевахара. Хьаькамаша хаьттира цуьнга: «ХӀумма-м ца хилла? И лартӀехь воцург стенна веанера хьуна тӀе?» «Шуна и стаг а вевза, цо хӀун боху а хаьа», — жоп делира ЯхӀус.</verse>
				<verse number="12">Цара элира: «И бакъ дац. Дийцал ахьа тхоьга». ЯхӀус шега аьлларг дӀадийцира. ТӀаккха цо тӀетуьйхира: «Къонахчо бохура: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Аса Исраилан халкъана тӀехь паччахь хила къобалво хьо’“».</verse>
				<verse number="13">Цара сихха, хӀораммо а шен-шен бедар схьа а эцна, цуьнан когашка тӀегӀанаш тӀе охьатесира. ТӀаккха, коьман маӀа а локхуш, маьхьарий а детташ, элира: «ЯхӀу — паччахь ву».</verse>
				<verse number="14">Нимшайн кӀант волчу ЯхӀушаптин кӀанта ЯхӀус Йорам-паччахьна дуьхьал барт бира. (Массо а исраилхошца Йорам-паччахьо ГалӀад-махкара Рамат-гӀала ларйинера арамхойн паччахь волчу Хьазиалах.</verse>
				<verse number="15">Ткъа Йорам-паччахь ша-м ИзраӀал-гӀала юхавирзинера, арамхоша шена йинчу чевнашна дарбанаш леладайта. И чевнаш Йорамна хиллера, цо арамхойн паччахьца Хьазиалца тӀом бечу хенахь.) ЯхӀус элира: «Нагахь шу реза делахь, ИзраӀал-гӀала хаам эцна ца вахийтархьама, цхьа а гӀалара ара ма валийта».</verse>
				<verse number="16">ЯхӀу, гӀудалкх тӀе а хӀоьттина, ИзраӀал-гӀала вахара, хӀунда аьлча Йорам цигахь хӀинца а цомгуш волуш Ӏуьллуш вара. ЯхӀудхойн паччахь Ахьаз-ЯхӀу а вара цига веана, Йорам мухачу хьолехь ву хьажа.</verse>
				<verse number="17">ИзраӀал-гӀалин бӀов тӀехь лаьтташ гӀарол вара. Цунна ЯхӀуца йогӀу эскаран арданг гира. Цо хаам бира: «ЙогӀу цхьа арданг го суна», — аьлла. Йорама элира: «Цхьа бере а къаставой, иза царна дуьхьалвахийта, хаттар а дойтуш: „Машарца догӀий шу?“»</verse>
				<verse number="18">ТӀаккха цхьа бере, дин тӀе а хиъна, ЯхӀуна дуьхьалвахара. Цо элира: «Паччахьо хоьтту: „Машарца вогӀий те хьо“?» ЯхӀус жоп делира: «Хьуна хӀун ду иза? Суна тӀаьхьахӀотта хьо». ГӀароло хаам бира: «Бере царна тӀекхечи, амма юхавоьрзуш вац», — аьлла.</verse>
				<verse number="19">ТӀаккха кхин а цхьа бере вахийтира. Беречо, царна тӀе а вахана, элира: «Паччахьо хоьтту: „Шу машарца догӀий те?“» ЯхӀус жоп делира: «Хьуна хӀун ду иза? Суна тӀаьхьахӀотта хьо».</verse>
				<verse number="20">ГӀароло хаам бира: «Иза а царна тӀекхечи, амма юхавоьрзуш вац. Ткъа тхуна дуьхьал лаьтташ волчун болар Нимшайн кӀентан ЯхӀун боларх тера ду, хӀунда аьлча цо хьераваьллачо санна лелайо гӀудалкх».</verse>
				<verse number="21">Йорама элира: «ГӀудалкх дӀайожа!» Цуьнан гӀудалкх дӀаюьйжира. ТӀаккха исраилхойн паччахь Йорам а, ЯхӀудхойн паччахь Ахьаз-ЯхӀу а шайн гӀудалкхаш тӀехь ЯхӀуна дуьхьалваха аравелира. И шиъ ЯхӀуна дуьхьалвахара, израӀалхочун Набутин аренгахь вовшах а кхеташ.</verse>
				<verse number="22">Йорама, шена ЯхӀу гича, хаьттира: «ЯхӀу, машарца вогӀий те хьо?» «Машар муха хуьлу, хьан нанас Изабала долийна долу цӀушна Ӏибадат дар а, бозбунчаллаш лелор а хӀинца а долуш хилча?» — аьлла, жоп делира ЯхӀус.</verse>
				<verse number="23">Куьйгашца гӀудалкх юха а ерзош, говраш дӀа а лелхош, Йорама элира: «Ахьаз-ЯхӀу! Вайна ямартло йина!»</verse>
				<verse number="24">Ткъа ЯхӀус, шен куьйга Ӏад а дуьйлина, Йораман белшашна юккъе пха туьйхира. И пха Йораман дагах кхийтира. Иза шен гӀудалкх чу охьавуьйжира.</verse>
				<verse number="25">Шен гӀудалкх лелош волчу Бадекъаре ЯхӀус элира: «Схьа а эций, израӀалхочун Набутин лаьттан декъа тӀе охьакхосса иза. Дагабаийтал хьайна, гӀудалкхана тӀехь вайшиъ цуьнан дена Ахьабана тӀаьхьахӀоьттина вогӀучу хенахь, Везачу Эло цунах лаьцна бина хаам:</verse>
				<verse number="26">„Билггал Набутин а, цуьнан кӀентийн а цӀий гинера Суна селхана, — боху Везачу Эло. — Аса бекхам бийр бу хьуна кху аренна тӀехь“. Цундела, схьа а эций, Везачу Эло ма-аллара, аренна тӀехь охьакхосса иза».</verse>
				<verse number="27">Хилларг а гина, яхӀудхойн паччахь Ахьаз-ЯхӀу Байт-ХӀаган-гӀалина тӀебоьдучу новкъа тӀехула дӀаиккхира. ЯхӀус, гӀудалкх цунна тӀаьхьа а хохкуш, элира: «Иза а, вей, дӀаваккха шен гӀудалкхана тӀехь». ИбалӀам-юьртана юххехь йолчу Гур олучу метте Ахьаз-ЯхӀус шен гӀудалкх лаьллича, цунна чов йира цара. Ахьаз-ЯхӀу, МагӀидда-гӀала дӀа а кхаьчна, цигахь велира.</verse>
				<verse number="28">Цуьнан тӀеман хьаькамаша, иза Ярушалайме а ваьхьна, шен къубба чохь, цуьнан дай дӀабоьхкинчу Даудан гӀалахь дӀавоьллира.</verse>
				<verse number="29">Ахьаз-ЯхӀу яхӀудхойн паччахь дӀахӀоьттинера, Ахьабан кӀанта Йорама паччахьалла до цхьайтталгӀа шо долуш.</verse>
				<verse number="30">ЯхӀу ИзраӀал-гӀала кхечира. Ткъа Изабал, шена и хаам беанчу хенахь, бӀаьргашна тӀе басарш а хьекхна, шен месаш то а йина, корехула арахьоьжуш лаьтташ яра.</verse>
				<verse number="31">ЯхӀу кевнах чоьхьаваьлча, Изабала элира: «Хьо машарца вогӀий те, хьайн паччахь вийна волу Зимари?»</verse>
				<verse number="32">Шен юьхь корехьа а ерзийна, ЯхӀус хаьттира: «Мила ву кхузахь, соьгахьа верг?» — аьлла. Корах арахьаьжира паччахьан цӀийнара ши-кхо ялхо.</verse>
				<verse number="33">ЯхӀус элира: «Корах аратаса иза». Изабал аратесира. Пенна тӀе а, говраш тӀе а деттаделира цуьнан цӀийн тӀадамаш. Изабалан дегӀа тӀехула шен гӀудалкх яьккхира ЯхӀус.</verse>
				<verse number="34">Чу а веана, ша хӀума йиъна а, мелла а ваьлча, цо элира: «Шена тӀехь неӀалт долу иза, схьа а лахий, дӀайолла, хӀунда аьлча иза паччахьан йоӀ ю».</verse>
				<verse number="35">Нах иза дӀайолла бахара, амма цунах йисина коьртан туьта, когийн а, куьйгийн а даьӀахкаш йоцург, хӀумма а ца карийра царна.</verse>
				<verse number="36">Юха а баьхкина, цара хаам бира. ЯхӀус элира: «Иштта дара Везачу Элан дош, Шен ялхочун тишабхо волчу Эли-ЯхӀугахула Цо аьлла долу: „ИзраӀалхойн аренгахь Изабалан дилха жӀаьлеша дуур ду.</verse>
				<verse number="37">Изабалан дакъа, кхо санна, израӀалхойн декъа тӀехь Ӏуьллур ду. ТӀаккха цхьаммо а эр дац: ‘Изабал ю иза’“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="10">
				<verse number="1">Ахьабан Шамран-гӀалахь кхузткъе итт кӀант вара. ЯхӀус, кехаташ а яздина, Шамран-гӀалахь болчу израӀалхойн хьаькамашка а, къаношка а, Ахьабан берийн Ӏуналла а деш, царна тӀехьожуш болчаьрга а дӀасадахьийтира уьш. Церан чулацам иштта бара:</verse>
				<verse number="2">«Шу долчохь шун олахочун кӀентий бу, шуьгахь гӀудалкхаш а, дой а, чӀагӀо йина гӀала а, герз а ду. Цундела хӀара кехат шайга дӀакхаьчча,</verse>
				<verse number="3">аша шайн олахочун берех тоьлла а, доьналла долуш волу а кӀант схьакъаставе. Иза шен ден паччахьан гӀанта тӀе а хаавай, шайн олахочун цӀийнан агӀор дӀа а хӀоттий, тӀом бе».</verse>
				<verse number="4">Цара, чӀогӀа кхера а белла, элира: «Шина паччахье а ян ца елла цунна дуьхьало, ткъа оха хӀун дийр дара?»</verse>
				<verse number="5">Паччахьан цӀийнан хьаькамо а, гӀалин хьаькамо а, къаноша а, берийн Ӏуналла а деш, царна тӀехьожуш болчара а ЯхӀуна тӀе нах бахийтира. Цара бохура: «Тхо хьан ялхой ду-кх. Ахьа тхайга де аьлларг, дийр ду оха. Цхьа а паччахь хӀоттор вац оха. Хьайна хеттарг де ахьа».</verse>
				<verse number="6">ТӀаккха ЯхӀус шозлагӀа а иштта яздина кехат дахьийтина цаьрга: «Нагахь санна шу сан а делахь, аса бохург аша деш а делахь, шайн олахочун кӀентийн кортош тӀера а дахий, кхана хӀоккху хенахь со волчу ИзраӀал-гӀала схьадуьйла». Ткъа Ахьаб-паччахьан кхузткъе итт кӀант вара. Церан дола а деш, царна тӀехьожуш гӀалара тоьлла хьолахой бара.</verse>
				<verse number="7">Шайга и кехат дӀакхаьчча, цара, паччахьан кӀентий байа а байина, церан кортош тускарш чу а дехкина, уьш ИзраӀал-гӀала ЯхӀуна тӀе дӀадахьийтира.</verse>
				<verse number="8">Геланчо ЯхӀуга хаам бира: «Паччахьан кӀентийн кортош схьадеана», — аьлла. ЯхӀус элира: «Царах ши хола а яй, Ӏуьйре тӀеяллалц кевнехь шина а агӀор охьадахкий, дита уьш».</verse>
				<verse number="9">Ӏуьйранна ЯхӀус, ара а ваьлла, дӀа а хӀоьттина, дерриг а халкъе элира: «Шу бехке дац. Гой шуна, аса, сайн олахочунна дуьхьал ямартлонца барт а бина, иза вийна. Ткъа уьш берриг а хьан байина?</verse>
				<verse number="10">ХӀинца дӀахаалаш, Везачу Эло Ахьабан цӀийнах лаьцна аьлла дош цхьа а эрна довр дац. Шен ялхо волчу Эли-ЯхӀугахула Ша аьлларг Везачу Эло кхочушдина».</verse>
				<verse number="11">Иштта ИзраӀал-гӀалахь Ахьабан цӀийнах дийна бисинарш а, цуьнан хьалхара болу хьоладай а, доттагӀий а, динан дай а хӀаллакбира ЯхӀус. Цуьнан тӀаьхьенах цхьа а дийна ца висира.</verse>
				<verse number="12">ЯхӀу, хьала а гӀаьттина, Шамран-гӀала дӀавахара. Новкъахь, жаӀуй вовшахкхетачу Байт-Ӏекхад олучу меттигехь,</verse>
				<verse number="13">яхӀудхойн паччахьан Ахьаз-ЯхӀун гергарнаш дуьхьалкхийтира цунна. ЯхӀус хаьттира цаьрга: «Шу муьлш ду?» «Тхо Ахьаз-ЯхӀун гергарнаш ду. Паччахьан кӀенташка а, паччахьан ненан Изабалан кӀенташка а маршалла хатта арадевлла тхо», — жоп делира цара.</verse>
				<verse number="14">ЯхӀус элира: «Цара, дийна боллуш уьш дӀа а лаьцна, Байт-Ӏекхадан гӀунна уллохь байира. Уьш шовзткъе ши стаг вара, ткъа царах цхьа а дийна ца висира».</verse>
				<verse number="15">Цигара дӀавахча, шена дуьхьал вогӀу Рахбин кӀант ЯхӀу-Надаб гира ЯхӀуна. Маршалла а хаьттина, ЯхӀус элира цуьнга: «Хьан дог а дуй те соьгахьа дирзина, сан дог хьоьгахьа дирзина ма-хиллара?» ЯхӀу-Надаба элира: «Ду». «Иза иштта делахь, хьайн куьг схьакховдаде». Вукхо шен куьг дӀакховдийра. ЯхӀус иза шен гӀудалкх тӀе хьалаваьккхира.</verse>
				<verse number="16">Цо элира: «Соьца дӀа а волий, со Везачу Элана тӀевирзина хиларе хьажахьа». ЯхӀу-Надаб гӀудалкхана чу охьахиира.</verse>
				<verse number="17">Уьш Шамран-гӀала дӀакхаьчча, ЯхӀус цигахь Ахьабан дийна мел виснарг хӀаллаквира. Цо уьш, тӀаьхье а ца юьтуш, хӀаллакбина дӀабехира. Везачу Эло Эли-ЯхӀугахула аьлла ма-хиллара, кхочушхилира дерриге а.</verse>
				<verse number="18">ЯхӀус дерриг а халкъ схьагулдира. Цо халкъе элира: «Ахьаба кхоччуш Ӏамал ца йора БаӀална, ткъа ЯхӀус цунна гӀуллакх дар совдоккхур ду.</verse>
				<verse number="19">БаӀалан массо а пайхамарш, массо а цунна Ӏамал еш берш, массо а цуьнан динан дай а, цхьа а схьаваза стаг а ца вуьтуш, схьагулбе суна тӀе, хӀунда аьлча аса доккха сагӀа доккхур ду БаӀална лерина. Ткъа схьа ца вогӀуш висинарг цхьа а дийна вуьтур вац». (ЯхӀус хӀилланца деш дара иза, БаӀална Ӏамал еш болу берриш а хӀаллакбархьама.)</verse>
				<verse number="20">ЯхӀус элира: «БаӀална лерина беза гулам хӀоттабе». Иштта дӀакхайкхийра гулам хӀотто безар.</verse>
				<verse number="21">Берриг а Исраил-махкахула дӀасабаржийра ЯхӀус и хаам. БаӀална Ӏамалъеш болу массо а нах схьагулбелира. Ца вогӀуш цхьа а ца висира. Уьш БаӀалан цӀа чу бевлира. И цӀа цхьана йистера вукху йисте кхаччалц дуьзира.</verse>
				<verse number="22">ТӀеюху бедарш ларъеш волчуьнга ЯхӀус элира: «БаӀална Ӏамал еш болчу массарна а тӀеюха бедарш схьая». Цу стага царна тӀеюха бедарш схьаеара.</verse>
				<verse number="23">Шеца Рахбин кӀант ЯхӀу-Надаб а вуьгуш, БаӀалан цӀенна чувелира ЯхӀу. «Талла а таллий, дика хьажа, цхьа а Везачу Элана гӀуллакх дечарах вуй те хӀокху чохь, хӀунда аьлча кху чохь БаӀална Ӏамал еш берш бен хила ца беза».</verse>
				<verse number="24">Иштта дийнаташ дагоран сагӀанаш а, кхидолу сагӀанаш а даха БаӀал-цӀун цӀенна чубевлира уьш. Ткъа ЯхӀус цӀенна арахьа везткъа стаг дӀахӀоттийнера, цо цаьрга аьлла: «Аса шун кара беллачех цхьаъ кӀелхьарвалахь, шен куьйга иза кӀелхьарвалийтинчун са оцу кӀелхьарваьллачун синан метта хир ду».</verse>
				<verse number="25">Дийнаташ дагоран сагӀанаш даьхна чекхдевлча, ЯхӀус гӀаролхошка а, хьаькамашка а элира: «Даха а гӀой, царах цхьа а ца вуьтуш, байа уьш». Уьш туьран ираллица байа а байина, шаьш болчохь а битина, гӀаролхой а, хьаькамаш а БаӀалан цӀийнан чухуларчу чӀагӀйинчу чоьнна чубахара.</verse>
				<verse number="26">Цу чуьра цӀу-делан дечиган бӀогӀам ара а баьккхина, иза багийра цара.</verse>
				<verse number="27">Иштта кегбира БаӀална хӀоттийна тӀулг а, дохийра БаӀалан цӀа а. И меттиг хӀинца а цӀанонна воьду меттиг ю.</verse>
				<verse number="28">Иштта ЯхӀус исраилхошна юкъара БаӀална Ӏибадат дар дӀадаьккхира.</verse>
				<verse number="29">Амма НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама Исраилан халкъе летадайтинчу къинойх дӀа ца вирзира ЯхӀу — Бетал-гӀалахь а, Дан-гӀалахь а деших дина долчу эсашна наха Ӏибадат дарна тӀера.</verse>
				<verse number="30">Везачу Эло ЯхӀуга элира: «Ахьа Суна хьалха бакъахьадерг доггах кхочушдина, Ахьабан цӀенна Сан дан безам болу гӀуллакх чекх а даьккхина, цундела хьан тӀаьхьенах доьалгӀачу гаранна тӀекхаччалц берш хир бу исраилхойн паччахьаш».</verse>
				<verse number="31">Амма ЯхӀу Исраилан халкъан Везачу Делан товрат-хьехамаш доггах ларбаран некъа тӀехь ца лелара. ЯрбаӀама Исраилан халкъе летадайтинчу къиношна тӀера дӀа ца вирзира иза.</verse>
				<verse number="32">Цу деношкахь Везачу Эло исраилхойн лаьттан дакъош схьадаха долийра. Хьазиал, исраилхошна тӀехь толам а баьккхина, йоккха кӀошт яьккхира цаьргара шен дола.</verse>
				<verse number="33">И кӀошт яра Йорданан малхбалехьа йолчу меттехь, ӀаруӀер-гӀалара дуьйна Арнон-хина тӀекхаччалц. Цу чу догӀура ГалӀад а, Башан а мехкаш. Цигахь Гадан, Раабанан а, Маннашан а тайпанаш дехаш дара.</verse>
				<verse number="34">ЯхӀус динчу хӀуманех лаьцна — цо мел динчух а, цуьнан майрачу гӀуллакхех а лаьцна — яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.</verse>
				<verse number="35">ТӀаккха ЯхӀу, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза Шамран-гӀалахь дӀавоьллира. ЯхӀун метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант ЯхӀу-Ахьаз.</verse>
				<verse number="36">Ткъа ЯхӀус, Шамран-гӀалахь а Ӏаш, исраилхошна тӀехь паччахьалла дина хан ткъе бархӀ шо яра.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="11">
				<verse number="1">Шен кӀант велла аьлла шена хезча, Ахьаз-ЯхӀун нанас Ӏатал-ЯхӀус сацам бира паччахьан тӀаьхьенах верг массо а хӀаллакван.</verse>
				<verse number="2">Амма Ахьаз-ЯхӀун йиша йолчу, ЯхӀурам-паччахьан йоӀа ЯхӀу-ШебаӀа Ахьаз-ЯхӀун кӀант Юаш, паччахьан байа безачу кӀенташна юкъара схьа а эцна, дӀавигира. И кӀант а, иза вакхош йолу зуда а дӀавуьжучу цӀа чу дигира цо. Иштта, Ӏатал-ЯхӀух къайла а ваьккхина, дийна висира Юаш.</verse>
				<verse number="3">Ӏатал-ЯхӀус цу махкахь паччахьалла деш йолчу заманчохь, ялх шарахь, оцу кӀентан дола дечу оцу зудчо Везачу Элан цӀа чохь къайлаваьккхира иза.</verse>
				<verse number="4">Цуьнан ворхӀалгӀа шо долуш, динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа, паччахьан гӀаролхошна а, паччахьан цӀийнан гӀаролхошна а юкъара хьаькамаш схьакхайкха нах а бахийтина, уьш Везачу Элан цӀийне ша волчу схьабалийра. ЯхӀу-ЯдаӀа цаьрца барт бира. ТӀаккха динан дас, Везачу Элан цӀа чохь цаьрга чӀагӀо а яйтина, паччахьан кӀант Юаш гайтира царна.</verse>
				<verse number="5">ЯхӀу-ЯдаӀа, омра а деш, элира цаьрга: «Аша хӀара кхочушде: шоьтан дийнахь шух схьадогӀуш долчу кхоалгӀачу декъо паччахьан цӀенна ха де.</verse>
				<verse number="6">Царах вукху кхоалгӀачу декъо — Сур олучу кевнехь, ткъа тӀаьххьара кхоалгӀачу декъо паччахьан гӀаролхошна тӀехьа долчу кевнехь ха де. Иштта, паччахьан цӀенна тӀехь аша рогӀ-роггӀана ха де.</verse>
				<verse number="7">Ткъа шоьтан дийнахь мукъадовлучу шух массарах а долчу шина декъо Везачу Элан цӀахь волчу паччахьна ха де.</verse>
				<verse number="8">Иштта аша, шайн хӀораннан а карахь герз а долуш, массо а агӀор паччахьна ха де. Нагахь цхьаъ, шуна тӀе а веана, юкъагӀортахь я тӀевагӀахь, иза вей дӀаваккха. Паччахь миччахьа вахача а, цуьнан Ӏуналла де».</verse>
				<verse number="9">Динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа де аьлларг дерриг а кхочушдира хьаькамаша. Цара хӀораммо а шоьтан дийнахь схьабогӀу а, мукъабовлу а тӀемалой шайца ЯхӀу-ЯдаӀана тӀебалийра.</verse>
				<verse number="10">Везачу Элан цӀа чохь лаьтташ долу Дауд-паччахьан хилла гоьмукъаш а, турсаш а динан дас гӀаролхойн хьаькамашна дӀасадийкъира.</verse>
				<verse number="11">Иштта, шайн карахь герз а долуш, паччахьан гӀаролхой дӀахӀиттира цигахь. Уьш дӀахӀиттира паччахьна гонах — Везачу Элан цӀенна аьтту агӀонна тӀера аьрру агӀонна тӀекхаччалц, сагӀа доккхучу кхерчана уллохь а, Везачу Элан цӀенна уллохь а.</verse>
				<verse number="12">ЯхӀу-ЯдаӀа, паччахьан кӀант ара а ваьккхина, цунна тӀе таж а диллира, паччахьалла дарх лаьцна болу хьехамаш шена тӀехь язбина тептар а дӀаделира. ТӀаккха иза паччахь дӀахӀотто даьтта тӀе доттарца къобалвира. Наха, тӀараш а детташ, маьхьарий хьоькхура: «Вехийла паччахь!» — бохуш.</verse>
				<verse number="13">Шена гӀаролхойн а, халкъан а аьзнаш хезча, Ӏатал-ЯхӀу Везачу Элан цӀенна юххехь лаьттачу халкъана тӀеяхара.</verse>
				<verse number="14">ТӀаккха, лакхенна тӀехь, ша латта ма-везза, лаьтташ волу паччахь гира Ӏатал-ЯхӀуна. Паччахьна уллохь лаьтташ хьаькамаш а, турба локхуш берш а бара. Цу махкахь долу дерриг а халкъ, самукъане а дара, цара лоькхуш турбанаш а яра. Ӏатал-ЯхӀус, шен тӀехула юьйхина йолу бедар ятӀа а йина, мохь хьаькхира: «Ямартло йина! Ямартло йина!» — аьлла.</verse>
				<verse number="15">Динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа, эскаран хьаькамаш болчу гӀаролхошка омра а деш, элира: «Иза могӀаршна юкъара дӀаяккха, ткъа цунна тӀаьхьахӀуьттурш туьраца байа». ХӀунда аьлча динан дас аьллера: «Везачу Элан цӀийнан кертахь ма ейта иза».</verse>
				<verse number="16">Паччахьан цӀенна уллохь йолчу Говрийн Керта иза схьакхаьчча, церан буьйна яхара иза. Цигахь цуьнан са даьккхира цара.</verse>
				<verse number="17">Цул тӀаьхьа халкъе а, паччахье а Везачу Элаца барт байтира ЯхӀу-ЯдаӀа, шаьш Везачу Элан долахь долу халкъ хилийтархьама. Иштта паччахьна а, халкъана а юкъахь а барт бира ЯхӀу-ЯдаӀа.</verse>
				<verse number="18">ТӀаккха махкарчу дерриг а халкъо, БаӀал-харцделан цӀа а дахана, и цӀа дохийра. Цара БаӀалан сагӀа доккху кхерчаш а, цӀуш а бохийна дӀабехира. Иштта БаӀалан динан да волу Матани а вийра цара сагӀа доккхучу кхерчашна хьалха. Цул тӀаьхьа динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа Везачу Элан цӀенна ха дан нах дӀахӀиттийра.</verse>
				<verse number="19">Динан дас, шеца хьаькамаш а, паччахьан гӀаролхой а, паччахьан кертан гӀаролхой а буьгуш, Юаш-паччахь Везачу Элан цӀийнера паччахьан цӀенна тӀе валийра. ТӀаккха паччахьан гӀаролхойн кевнна тӀе боьдучу новкъахула паччахьан цӀа кхечира уьш. Юаш-паччахь шен паччахьан гӀанта тӀе охьахиира.</verse>
				<verse number="20">Мехкан дерриге а халкъ самукъане дара, гӀала а дӀатийра, хӀунда аьлча Ӏатал-ЯхӀу паччахьан цӀенна уллохь, тур а тоьхна, йийнера.</verse>
				<verse number="21">Юашан ворхӀ шо дара, иза паччахь дӀахӀоьттича.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="12">
				<verse number="1">Исраилхошна тӀехь ЯхӀус паччахьалла деш долу ворхӀалгӀа шо долуш, Юаш паччахь дӀахӀоьттира. Цо шовзткъа шарахь, Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, паччахьалла дира. Цуьнан ненан цӀе ЦивъяхӀу яра. Иза Беар-ШабаӀ-гӀалара яра.</verse>
				<verse number="2">Динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа шена хьехамаш бечу массо а ханна Везачу Элана нийса хеташ дерг леладора Юаша.</verse>
				<verse number="3">Делахь а, тӀехь сагӀа доккху гунаш цо дӀадахаза диснера, ткъа наха кхидӀа а оцу гунаш тӀехь сагӀа а доккхура, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора.</verse>
				<verse number="4">Динан дайшка Юаша иштта элира: «Гулде Везачу Элан цӀенна наха дахьаш мел долу Далла лерина ахча — ясакх санна хӀора стагана тӀера дӀадала дезаш долу ахча а, Далла динчу ваӀданца доьзна долу ахча а, адамаша шайн лаамехь Везачу Элан цӀенна луш мел долу ахча а.</verse>
				<verse number="5">ХӀора динан дас, Делан цӀийнан хазна карахь йолчу цхьаьнгара ахча схьа а эцна, цунах Везачу Элан цӀа тодан деза, ерриге а йохийна меттигаш дӀа а тоеш».</verse>
				<verse number="6">Амма Юаша паччахьалла до ткъе кхоалгӀа шо долчу хенахь а, Везачу Элан цӀа чохь йоьхна меттигаш динан дайша хӀинца а тойина яцара.</verse>
				<verse number="7">Цундела Юаш-паччахьо, динан да ЯхӀу-ЯдаӀ а, кхиболу динан дай а схьа а кхайкхина, цаьрга элира: «Везачу Элан цӀа чохь йоьхна йолу меттигаш то хӀунда ца йо аша? Аша кхидӀа ма эцалаш шайн хазна карахь йолчаьргара ахча, Везачу Элан цӀа дӀатодарна бен».</verse>
				<verse number="8">ТӀаккха динан дайша барт бира нахера ахча кхин шайга дӀа ца эца. Везачу Элан цӀа шаьш тодийр дац аьлла, сацам а бира цара.</verse>
				<verse number="9">Динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа, цхьа гӀутакх схьа а эцна, цунна тӀехула агӀор херо а даьккхина, иза сагӀа доккхучу кхерчана аьтту агӀорхьа Делан цӀийнан керта чу воьддучу дӀахӀоттийра. Кертан неӀарехь ха деш лаьттачу динан дайша Везачу Элана наха дахьаш долу ахча, схьа а оьций, оцу гӀутакх чу тосура.</verse>
				<verse number="10">Цу гӀутакх чохь дуккха а ахча гулделча, динан коьртачу дас а, паччахьан йозанчо а, ахча схьа а оьций, дагар а дой, галеш чу дуьллура иза.</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха и ахча Везачу Элан цӀа нисдаран балхана тӀехь куьйгалла деш болчу нахе дӀалора. Ткъа цара иза дечиган пхьерашна а, гӀишлош еш болчарна а,</verse>
				<verse number="12">тӀулгаш дуттучарна а, тӀулг хьокхучарна а доькъура. Иза дойура дечиг а, хьаькхна тӀулг а эцарна а, Везачу Элан цӀа чуьра йоьхна меттигаш тоян а, и цӀа меттахӀоттош нислуш долчу массо а кхечу гӀуллакхашна а.</verse>
				<verse number="13">Делахь а, Везачу Элан цӀенна дахьаш долчу ахчанах ца йойтура дато бошхепаш а, милт хадо тукарш а, боганаш а, турбанаш а, цу цӀенна лерина муьлхха а тайпана дашо я дато пхьегӀаш а.</verse>
				<verse number="14">Белхан куьйгалхошна дӀалора и ахча, ткъа цара цунах Везачу Элан цӀа тодора.</verse>
				<verse number="15">Белхалошна дӀасадекъа ахча дӀаделлачу адамашкара хьесап ца хоьттура, хӀунда аьлча уьш тешаме нах бара.</verse>
				<verse number="16">ГӀуда такхаран а, къинан а сагӀанех долу ахча Везачу Элан цӀа чу ца дахьара — иза динан дайн долахь дара.</verse>
				<verse number="17">Цу хенахь арамхойн паччахьо Хьазиала, Гати-гӀалина дуьхьал тӀом а бина, иза дӀалецира. ТӀаккха Ярушалаймана тӀелата дагадеара Хьазиална.</verse>
				<verse number="18">Амма яхӀудхойн паччахьо Юаша, яхӀудхойн паччахьаш хилла болчу шен дайша ЯхӀушаптис а, ЯхӀурама а, Ахьаз-ЯхӀус а Везачу Элан цӀенна сагӀина мел деана хӀума а схьаийцира цу чуьра. Иштта ша сагӀина мел деана хӀума а, Везачу Элан цӀийнан а, паччахьан цӀийнан а хазнаш чохь шена мел карийна деши а, схьа а эцна, арамхойн паччахьна Хьазиална дӀадахьийтира Юаша. ТӀаккха Хьазиал тӀе ца летира Ярушалаймана.</verse>
				<verse number="19">Юашан кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цо мел динчух лаьцна — яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь.</verse>
				<verse number="20">ТӀаккха Юаш куьйгаллехь болчу хьаькамаша, цунна дуьхьал ямартлонца барт а бина, Силле воьдучу новкъахь йолчу Байт-Милло олучу меттигехь иза вийра.</verse>
				<verse number="21">Юаш вийна волу хьаькамаш бара: ШимӀатан кӀант Юзабди а, Шумаран кӀант ЯхӀу-Забди а. Юаш велира. Иза а дӀавоьллира шен дай дӀабоьхкинчу Даудан гӀалахь. Юашан метта, паччахь а хилла, дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Амци-ЯхӀу.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="13">
				<verse number="1">ЯхӀудхойн паччахь волчу Ахьаз-ЯхӀун кӀанта Юаша паччахьалла деш долу ткъе кхоалгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира ЯхӀун кӀант ЯхӀу-Ахьаз. Цо вуьрхӀитта шарахь, Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, паччахьалла дира.</verse>
				<verse number="2">Цо Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтина доллу къинош цо а летадора, царна тӀера дӀа а ца воьрзуш.</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара Исраилан халкъана. Арамхойн паччахь волчу Хьазиалан а, цуьнан кӀентан Бен-Хьадидан а караделира Везачу Эло и халкъ дуккха а ханна.</verse>
				<verse number="4">ТӀаккха ЯхӀу-Ахьаза гӀо доьхуш доӀа дира Везачу Эле. И доӀа Везачу Элана дӀахезира, хӀунда аьлча Цунна гуш дара арамхойн паччахьо Исраилан халкъана беш болу ницкъ мел чӀогӀа бу.</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха Везачу Эло исраилхошна уьш кӀелхьарбохург вахийтира. Цо арамхойн карара схьабехира уьш. Иштта исраилхой, хьалха санна, кхерам а боцуш, шайн цӀенош чохь Ӏаш бара.</verse>
				<verse number="6">Амма ЯрбаӀаман цӀийно исраилхошка летадайтинчу къиношна тӀера дӀа ца бирзира уьш. Цара и къинош кхидӀа а летадора. Ткъа цара дела санна лоручу цӀу-зудчунна Ашерана лерина болу дечиган бӀогӀам Шамран-гӀалахь кхидӀа а лаьтташ бара.</verse>
				<verse number="7">ЯхӀу-Ахьаз-паччахьан эскарх виснарг шовзткъе итт дошло а, итт тӀеман гӀудалкх а, итт эзар гӀашло а бен вацара, хӀунда аьлча арамхойн паччахьо и эскар дохийна дӀадаьккхира, когаш кӀел хьоьшу чан санна эскархой а беш.</verse>
				<verse number="8">ЯхӀу-Ахьаза лелийначу кхидолчу хӀуманех лаьцна — цо мел динчух а, цуьнан майрачу гӀуллакхех а лаьцна — яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.</verse>
				<verse number="9">ТӀаккха ЯхӀу-Ахьаз, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза Шамран-гӀалахь дӀавоьллира. ЯхӀу-Ахьазан метта керла паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант ЯхӀуаш.</verse>
				<verse number="10">ЯхӀудхойн паччахьо Юаша паччахьалла до ткъе вуьрхӀитталгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь дӀахӀоьттира ЯхӀу-Ахьазан кӀант ЯхӀуаш. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо ялхитта шарахь паччахьалла дира.</verse>
				<verse number="11">Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора цо. НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтинчу муьлххачу а къинойх дӀа ца вирзира иза. Изза къинош цо а летадора.</verse>
				<verse number="12">ЯхӀуаша лелийначу кхидолчу хӀуманех лаьцна — цо мел динчух а, цуьнан майрачу гӀуллакхех а, яхӀудхойн паччахьца Амци-ЯхӀуца цо бинчу тӀамах а лаьцна — яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха ЯхӀуаш, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Цуьнан метта керла паччахь хилла дӀахӀоьттира ЯрбаӀам. Исраилхойн паччахьаш дӀабоьхкинчу Шамран-гӀалахь дӀавоьллира ЯхӀуаш а.</verse>
				<verse number="14">ЭлишаӀана цамгар кхийтира. Цу цамгарх тӀаьхьо иза вала а велира. ЭлишаӀ волчу исраилхойн паччахь ЯхӀуаш веара. Цо, ЭлишаӀана тӀе а хӀоьттина, велха а воьлхуш, бохура: «Ва сан да! Исраилхойн тӀеман гӀап а, церан ницкъ а ма бара хьо!»</verse>
				<verse number="15">ЭлишаӀа цуьнга элира: «СекхаӀад а, пхерчий а схьаэца». ЯхӀуаша схьаийцира секхаӀад а, пхерчий а.</verse>
				<verse number="16">Исраилхойн паччахье ЭлишаӀа элира: «Хьайн куьйгаца Ӏад дула». Паччахьо шен куьйгаца Ӏад дуьйлира. ТӀаккха ЭлишаӀа шен куьйгаш паччахьан куьйгашна тӀедехкира.</verse>
				<verse number="17">«Малхбалехьа долу кор дӀаделла», — элира ЭлишаӀа. Паччахьо кор дӀадиллира. «Пха кхосса», — элира цо. Паччахьо пха кхоьссира. ТӀаккха ЭлишаӀа элира: «Везачу Элера болу, толам баккхаран пха бу иза! Арам-махкана тӀехь толам баккхаран пха бу иза! Ахьа, буьззина толам а боккхуш, Апакх-гӀалахь арамхой хӀаллакбийр бу».</verse>
				<verse number="18">ЭлишаӀа элира: «Дисина пхерчий схьаэца». Паччахьо уьш схьаийцира. ТӀаккха ЭлишаӀа элира: «Лаьтта тоха и пхерчий». Кхузза лаьтта а тоьхна, паччахь сецира.</verse>
				<verse number="19">Делан стага, оьгӀаз а вахана, элира цуьнга: «Ахьа пхоьазза я йолхазза лаьтта тоха ма дезара пхерчий. ТӀаккха кхоччуш хӀаллакбийр бара ахьа арамхой. Ткъа хӀинца кхузза бен толам боккхур бац ахьа царна тӀехь».</verse>
				<verse number="20">ЭлишаӀ велира, наха иза дӀавоьллира. ХӀора шарахь бӀаьста муабахойн ардангаш исраилхойн махка чу йогӀура.</verse>
				<verse number="21">Цхьана хенахь масех исраилхо хилла цхьа велла стаг дӀавуллуш. Шайна тӀейогӀу муабахойн цхьа арданг гича, цара велларг ЭлишаӀан къубби чу тесна хилла. Къубби чу дужучу хенахь и дакъа ЭлишаӀан даьӀахкех дӀахьакхаделла, тӀаккха, ден а велла, шен когаш тӀе дӀахӀоьттира и стаг.</verse>
				<verse number="22">Арамхойн паччахьо Хьазиала Исраилан халкъана ницкъ бора ЯхӀу-Ахьаз паччахьаллехь лаьттинчу массо а хенахь.</verse>
				<verse number="23">Веза Эла Шен диканца цаьрца а вара, Цо царах къинхетам а бира, цаьргахьа а воьрзуш. Ша ИбрахӀимца а, Исхьакхаца а, Якъубца а бинчу бертан дуьхьа, хӀинцалерчу ханна тӀекхаччалц Цунна ца лаьара уьш хӀаллакбан я уьш Шена уллора дӀататта.</verse>
				<verse number="24">Арамхойн паччахь Хьазиал велча, цуьнан метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Бен-Хьадид.</verse>
				<verse number="25">ТӀом болчу хенахь Хьазиала масех гӀала схьаяьккхинера ЯхӀуашан дегара ЯхӀу-Ахьазера, амма ЯхӀуаша и гӀаланаш юхаехира Хьазиалан кӀантера Бен-Хьадидера. ЯхӀуаша кхузза толам баьккхира Бен-Хьадидана тӀехь, исраилхойн гӀаланаш юха а йохуш.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="14">
				<verse number="1">Исраилхойн паччахь волчу ЯхӀу-Ахьазан кӀанта ЯхӀуаша паччахьалла до шолгӀа шо долуш, яхӀудхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира Юашан кӀант Амци-ЯхӀу.</verse>
				<verse number="2">Цуьнан ткъе пхи шо дара, иза паччахь хӀоьттича. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо ткъе исс шарахь паччахьалла дира. Амци-ЯхӀун ненан цӀе ЯхӀу-Ӏаднат яра. Иза Ярушалаймера яра.</verse>
				<verse number="3">Амци-ЯхӀус Везачу Элана нийса хеташ долу гӀуллакхаш дора, амма цу тӀехь шен дега Дауде ца кхочура иза. Цо шен дас Юаша лелийна доллу гӀуллакхаш леладора.</verse>
				<verse number="4">Делахь а тӀехь сагӀа доккху гунаш цо дӀадахаза дисина дара, ткъа наха кхидӀа а оцу гунаш тӀехь сагӀа а доккхура, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора.</verse>
				<verse number="5">Паччахьалла шен карадирзина даьлча, цо паччахь хилла волу шен да вийна болу а, цуьнан куьйгаллехь хилла болу а хьаькамаш байира.</verse>
				<verse number="6">Амма Мусан товрат-хьехамийн тептар тӀехь яздинчуьнга хьаьжжина, цу хьаькамийн бераш ца дайира Амци-ЯхӀус, хӀунда аьлча цигахь Везачу Эло, весет а деш, аьллера: «Бераша далийтина зулам бахьанехь церан дайша валаран таӀзар такха ца деза. Иштта шайн дайша далийтина зулам бахьанехь, бераша а валаран таӀзар такха ца деза. Амма хӀораммо а шех даьлла зулам бахьана долуш, валаран таӀзар ша такха деза».</verse>
				<verse number="7">Амци-ЯхӀус Дуьра тогӀи чохь итт эзар эдомхо хӀаллаквира. ТӀамца СилаӀ-гӀала схьа а лаьцна, цунна Якхтаал аьлла, цӀе тиллира цо. Тахханалц а цу гӀалин цӀе изза ю.</verse>
				<verse number="8">ТӀаккха Амци-ЯхӀус исраилхойн паччахь волчу ЯхӀун кӀентан ЯхӀу-Ахьазан кӀантана ЯхӀуашана тӀе геланчаш бахийтира: «Ара а валий, юьхь-дуьхьал хӀотта вайшиъ», — дӀаала аьлла.</verse>
				<verse number="9">Ткъа исраилхойн паччахьо ЯхӀуаша яхӀудхойн паччахьна Амци-ЯхӀуна жоп делира: «Ливанун-махкарчу коканийн кулло Ливанун-махкарчу баганан диттана тӀе, нах а бахийтина: „Хьайн йоӀ сан кӀанте маре яийтахьа“, — аьлла. Амма Ливанун-махкара экха схьа а деана, цо и коканийн колл дӀахьаьшна.</verse>
				<verse number="10">Ахьа эдомхошна тӀехь толам баьккхина. Ткъа хӀинца айхьа и толам баьккхина аьлла, хьан дог курадаьлла. Хьайн кураллаш а еш, цӀахь Ӏе хьо. Хьайна бохам хӀунда лоьху те ахьа? ТӀаккха хьо а хӀаллаквийр вара, хьоьца ЯхӀуд-мохк а хӀаллакбийр бара».</verse>
				<verse number="11">Амма Амци-ЯхӀус ла ца дуьйгӀира шега аьллачуьнга. ТӀаккха исраилхойн паччахь ЯхӀуаш яхӀудхойн паччахьна Амци-ЯхӀуна дуьхьалвелира. И шиъ тӀамца ЯхӀуд-махкарчу Байт-Шамаш олучу гӀалахь дуьхь-дуьхьал кхийтира.</verse>
				<verse number="12">Исраилхоша яхӀудхойн эскар дохийра. ТӀаккха эшнарш шайн-шайн цӀа дӀасабевдира.</verse>
				<verse number="13">Байт-Шамашехь исраилхойн паччахьо ЯхӀуаша яхӀудхойн паччахь волчу Ахьаз-ЯхӀун кӀентан Юашан кӀант Амци-ЯхӀу схьалецира. ТӀаккха ЯхӀуаша, Ярушалайме а вахана, цигарчу Эпрайман кевнера дуьйна сонехь долчу кевнна тӀекхаччалц диъ бӀе дол барамехь болу Ярушалайман пен бохийра.</verse>
				<verse number="14">Везачу Элан цӀа чуьра а, паччахьан хазни чуьра а дерриг деши а, дети а, массо пхьегӀа а схьаийцира ЯхӀуаша. Иштта, лечкъийна, царах хӀума яккха дагахь, шена адамаш а дуьгуш, Шамран-гӀала юхавирзира иза.</verse>
				<verse number="15">ЯхӀуаша лелийначу кхидолчу хӀуманех — цо мел динчух а, цуьнан майрачу гӀуллакхех а, цо яхӀудхойн паччахьца Амци-ЯхӀуца бинчу тӀамах а лаьцна — яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.</verse>
				<verse number="16">ТӀаккха ЯхӀуаш, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Исраилхойн паччахьашна уллохь иза Шамран-гӀалахь дӀавоьллира. ЯхӀуашан метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант ЯрбаӀам.</verse>
				<verse number="17">ЯхӀудхойн паччахь волчу Юашан кӀант Амци-ЯхӀу исраилхойн паччахь хилла волу ЯхӀу-Ахьазан кӀант ЯхӀуаш веллачул тӀаьхьа пхийтта шарахь вехира.</verse>
				<verse number="18">Амци-ЯхӀун кхидолчу гӀуллакхех лаьцна яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь.</verse>
				<verse number="19">Ярушалаймехь Амци-ЯхӀуна дуьхьал ямартлонца барт бира. Иза Лахиш-гӀала ведда дӀавахара. ТӀаккха, цунна тӀаьхьа Лахиш-гӀала нах а бахийтина, Амци-ЯхӀу цигахь вийра.</verse>
				<verse number="20">Амци-ЯхӀун дакъа говраш тӀехь Ярушалайме схьадеара. Иза а шен дай дӀабоьхкинчу Даудан гӀалахь дӀавоьллира.</verse>
				<verse number="21">ТӀаккха дерриг а ЯхӀудан халкъо ялхитта шо кхаьчна волу Ӏузи-ЯхӀу шен ден Амци-ЯхӀун метта паччахь дӀахӀоттийра.</verse>
				<verse number="22">ЯхӀуаш, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхеттачул тӀаьхьа Ӏузи-ЯхӀус, Эйлат-гӀала ЯхӀуд-махкана юха а ерзийна, иза меттахӀоттийра.</verse>
				<verse number="23">ЯхӀудхойн паччахь волчу Юашан кӀанта Амци-ЯхӀус паччахьалла до пхийтталгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь дӀахӀоьттира ЮшаӀан кӀант ЯрбаӀам. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо шовзткъе цхьана шарахь паччахьалла дира.</verse>
				<verse number="24">ЯрбаӀама а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтинчу муьлххачу а къинойх дӀа ца вирзира иза.</verse>
				<verse number="25">ЯрбаӀама Исраилан халкъана юхадерзийра Хьамат-Ӏинера дуьйна Ӏариба-тогӀин хӀорда тӀе кхаччалц долу латта. И дерриг а дара Исраилан халкъан Везачу Дала Шен ялхо волчу Аматин кӀантехула Юнусехула аьлларг. Иза Гати-Хьепар олучу меттигера схьаваьлла пайхамар вара.</verse>
				<verse number="26">Везачу Элана гуш дара массо а исраилхоша — чубоьхкина я маьрша уьш белахь а — хьоьгуш долу къиза Ӏазап. Цхьа а вацара Исраилан халкъана гӀо дан.</verse>
				<verse number="27">Везачу Эло Ша Исраилан халкъан цӀе стигал кӀелара дӀаяйа аьлла ца хиларна, ЯхӀуашан кӀентан ЯрбаӀаман куьйгахула кӀелхьарбехира Цо уьш.</verse>
				<verse number="28">ЯрбаӀама динчу массо а кхидолчу хӀуманех лаьцна — цо мел динчух а, цо лелийначу майрачу гӀуллакхех а, яхӀудхойн долахь хилла йолу Дамасакх а, Хьамат а гӀаланаш Исраил-махкана юхаерзаярх а лаьцна — яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.</verse>
				<verse number="29">ТӀаккха ЯрбаӀам, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Исраилхойн паччахьашна уллохь иза Шамран-гӀалахь дӀавоьллира. ЯрбаӀаман метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Закри-ЯхӀу.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="15">
				<verse number="1">Исраилхойн паччахьо ЯрбаӀама паччахьалла до ткъе ворхӀалгӀа шо долуш, яхӀудхойн паччахь хилира Амци-ЯхӀун кӀант Ӏузи-ЯхӀу.</verse>
				<verse number="2">Цу хенахь Ӏузи-ЯхӀун ялхитта шо дара. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо шовзткъе шийтта шарахь паччахьалла дира. Ӏузи-ЯхӀун ненан цӀе Яхул-ЯхӀу яра. Иза Ярушалаймера яра.</verse>
				<verse number="3">Шен дас Амци-ЯхӀус лела мел динарг санна, Ӏузи-ЯхӀус а леладора Везачу Элана нийса хетарг.</verse>
				<verse number="4">Делахь а тӀехь сагӀа доккху гунаш дӀадахаза дисина дара, ткъа наха кхидӀа а оцу гунаш тӀехь сагӀа а доккхура, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора.</verse>
				<verse number="5">Везачу Эло Ӏузи-ЯхӀу-паччахьна дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар кхетийтира. Иза велла дӀаваллалц и цамгар цунна тӀехь лаьттира. Цундела иза къаьстина лаьтташ долчу цӀа чохь Ӏаш вара. Ткъа паччахьан кӀанта Йовтама паччахьан цӀенна тӀехь хьаькамалла а дора, мехкан халкъана тӀехь урхалла а дора.</verse>
				<verse number="6">Ӏузи-ЯхӀун кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цо мел динчух лаьцна — яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь.</verse>
				<verse number="7">ТӀаккха Ӏузи-ЯхӀу, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Царна уллохь иза Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Ӏузи-ЯхӀун метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Йовтам.</verse>
				<verse number="8">ЯхӀудхойн паччахьо Ӏузи-ЯхӀус паччахьалла до ткъе берхӀитталгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира ЯрбаӀаман кӀант Закри-ЯхӀу. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо ялх баттахь паччахьалла дира.</verse>
				<verse number="9">Закри-ЯхӀус а, шен дайша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтинчу муьлххачу а къинойх дӀа ца вирзира иза.</verse>
				<verse number="10">Закри-ЯхӀуна дуьхьал ямартлонца барт а бина, Явешан кӀанта Шалума, халкъана хьалха цунна чов а еш, иза вийра. Ткъа ша цуьнан метта паччахь хӀоьттира.</verse>
				<verse number="11">Закри-ЯхӀус лелийначу кхидолчу гӀуллакхех лаьцна яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.</verse>
				<verse number="12">Иштта Везачу Эло ЯхӀуга аьлла дешнаш кхочушхилира. Цо аьллера: «Хьан тӀаьхьенах доьалгӀачу гаранна тӀекхаччалц берш хир бу исраилхойн паччахьаш». Иза иштта хила а хилира.</verse>
				<verse number="13">ЯхӀудхойн паччахьо Ӏузи-ЯхӀус паччахьалла до ткъе ткъайоьсналгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира Явешан кӀант Шалум. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо цхьана баттахь паччахьалла дира.</verse>
				<verse number="14">Тирца-гӀалара Гадин кӀанта Менахьима, ара а ваьлла, Шамран-гӀалахь Явешан кӀант Шалум вийра, ша цуьнан метта паччахь дӀа а хӀуттуш.</verse>
				<verse number="15">Шалуман кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цо ямартлонца бинчу бартах лаьцна — яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.</verse>
				<verse number="16">Оцу хенахь Менахьим, Тирца-гӀалара ара а ваьлла, Тапсахь-гӀалина тӀелетира. ГӀалина чохь мел болчу нахана а, цунна гонах бехачу нахана а тӀелетира иза, хӀунда аьлча цара гӀалин кевнаш дӀа ца диллинера. Берах йолу массо а зуда цестина хӀаллакьяйтира цо.</verse>
				<verse number="17">ЯхӀудхойн паччахьо Ӏузи-ЯхӀус паччахьалла до ткъе ткъайоьсналгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира Гадин кӀант Менахьим. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо итт шарахь паччахьалла дира.</verse>
				<verse number="18">Менахьим-паччахьо а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. Ша паччахьалла деш мел яьккхинчу хенахь НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтинчу муьлххачу а къинойх дӀа ца вирзира иза.</verse>
				<verse number="19">Цу хенахь Ашур-махкара волу паччахь ПӀула Исраил-махкана тӀегӀоьртира. Менахьима эзар гали дети делира ПӀуле, цуьнга шена гӀо а дойтуш, шен паччахьалла чӀагӀдархьама.</verse>
				<verse number="20">ХӀора хьолахочунна тӀе шовзткъе итт шекхал дети далар тӀедожийра Менахьима. И ахча Ашур-мехкан паччахье дӀаделира цо. ТӀаккха Ашур-мехкан паччахь, Исраил-махкахь а ца вуьсуш, дӀавахара.</verse>
				<verse number="21">Менахьиман кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цо мел динчух лаьцна — яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.</verse>
				<verse number="22">ТӀаккха Менахьим, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Менахьим-паччахьан метта паччахь хилира цуьнан кӀант Пакхихь-ЯхӀу.</verse>
				<verse number="23">Ӏузи-ЯхӀус паччахьалла до шовзткъе уьтталгӀа шо долуш, Исраилан халкъана тӀехь паччахь хӀоьттира Менахьиман кӀант Пакхихь-ЯхӀу. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо шина шарахь паччахьалла дира.</verse>
				<verse number="24">Пакхихь-ЯхӀус а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтинчу къинойх дӀа ца вирзира иза.</verse>
				<verse number="25">Пакхихь-ЯхӀу-паччахьан коьрта хьаькам Пикхахьи вара. Иза Рамли-ЯхӀун кӀант вара. Цо, Пакхихь-ЯхӀуна дуьхьал ямартлонца барт а бина, ГалӀад-гӀалара шовзткъе итт стаг шеца схьа а эцна, Шамран-гӀалахь паччахьан цӀийнан чӀагӀйинчу чохь паччахь вийра. Цуьнца цхьаьна АргӀаб а, Ария а вийра цо. ТӀаккха Пикхахьи паччахь хилла дӀахӀоьттира Пакхихь-ЯхӀу-паччахьан метта.</verse>
				<verse number="26">Пакхихь-ЯхӀу-паччахьан кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цо мел динчух лаьцна — яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.</verse>
				<verse number="27">ЯхӀудхойн паччахь волчу Ӏузи-ЯхӀус паччахьалла деш долу шовзткъе шуьйтталгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира Рамли-ЯхӀун кӀант Пикхахьи. Цо ткъа шарахь, Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, паччахьалла дира.</verse>
				<verse number="28">Пикхахьис а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтинчу къинойх дӀа ца вирзира иза.</verse>
				<verse number="29">Исраилхойн паччахьо Пикхахьис паччахьалла дечу заманахь, Ашур-мехкан паччахьо ТигӀлат-Палиасара, схьа а веана, Ӏаюн, Абал-Байт-МаӀак, Янохь, Кхедаш, Хьацор гӀаланаш, иштта ГалӀад-мохк, Галилай-мохк — шайна чу берриге а Наптал-мохк чу а лоцуш — дӀалецира. Цигара нах, йийсаре а буьгуш, Ашур-махка дӀакхалхийра цо.</verse>
				<verse number="30">Элан кӀанта ХӀушаӀа, Рамли-ЯхӀун кӀантана Пикхахьина дуьхьал ямартлонца барт а бина, цунна тӀе а летта, иза вийра. Иштта, Ӏузи-ЯхӀун кӀанта Йовтама паччахьалла до ткъолгӀа шо долуш, Пикхахьин метта паччахь дӀахӀоьттира ХӀушаӀ.</verse>
				<verse number="31">Пикхахьин кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цо мел динчух лаьцна — яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.</verse>
				<verse number="32">Исраилхойн паччахь волчу Рамли-ЯхӀун кӀанта Пикхахьис паччахьалла до шолгӀа шо долуш, яхӀудхойн паччахь дӀахӀоьттира Ӏузи-ЯхӀун кӀант Йовтам.</verse>
				<verse number="33">Цуьнан ткъе пхи шо дара, иза паччахь дӀахӀоьттича. Йовтама ялхитта шарахь паччахьалла дира Ярушалаймехь. Цуьнан ненан цӀе Яруша яра, иза ЦӀадукъин йоӀ яра.</verse>
				<verse number="34">Шен дас Ӏузи-ЯхӀус санна, Йовтама а Везачу Элана нийса хеташ дерг леладора.</verse>
				<verse number="35">Делахь а тӀехь сагӀа доккху гунаш дӀадахаза дисина дара, ткъа наха кхидӀа а оцу гунаш тӀехь сагӀа а доккхура, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора. Ткъа Везачу Элан цӀийнан кертара Лакхара Ков юхаметтахӀоттийнарг Йовтам вара.</verse>
				<verse number="36">Йовтаман кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цо мел динчух лаьцна — яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь.</verse>
				<verse number="37">Цу заманахь арамхойн паччахь Рицан а, Рамли-ЯхӀун кӀант Пикхахьи а вахийтира Везачу Эло яхӀудхошца тӀом бан.</verse>
				<verse number="38">Ткъа Йовтам, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Царна уллохь ша схьаваьллачу Даудан гӀалахь дӀавоьллира иза. Йовтаман метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Ахьаз.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="16">
				<verse number="1">Рамли-ЯхӀун кӀанта Пикхахьис паччахьалла до вуьрхӀитталгӀа шо долуш, яхӀудхойн паччахь дӀахӀоьттира Йовтаман кӀант Ахьаз.</verse>
				<verse number="2">Ахьазан ткъа шо дара, иза паччахь дӀахӀоьттича. Цо Ярушалаймехь ялхитта шарахь паччахьалла дира. Ша схьаваьллачу Дауде терра а ца лелаш, шен Везачу Далла нийса хеташ долу гӀуллакхаш ца леладора Ахьаза.</verse>
				<verse number="3">Иза а вара исраилхойн паччахьаша лелийна боллу некъ лелош. Цо ур-атталла шен кӀант цӀерах чекхваккхийтира, Везачу Эло Исраилан халкъана юкъара дӀалелхийначу къаьмнаша мел лелийна дегаза гӀуллакхаш лела а деш.</verse>
				<verse number="4">Гунаш тӀехь а, баьрзнаш тӀехь а, муьлххачу а ӀиндагӀ луш долчу диттана кӀел а сагӀа а доккхура, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора Ахьаза.</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха арамхойн паччахь Рицан а, исраилхойн паччахь Рамли-ЯхӀун кӀант Пикхахьи а, Ярушалайм дӀалаца дагахь, Ахьазана дуьхьал тӀом бан вахара. Цара Ярушалаймана го бира, амма толам ца баккхабелира цаьрга.</verse>
				<verse number="6">Цу хенахь арамхойн паччахьо, Эйлат-гӀала Араман халкъана юха а ерзош, цу гӀалара яхӀудхой дӀалаьхкира. Эдомхой цо Эйлат-гӀала бахийтира, уьш кху заманахь а цигахь бехаш бу.</verse>
				<verse number="7">Ахьаза шен геланчаш бахийтира Ашур-мехкан паччахьна ТигӀлат-Палиасарна тӀе. Цо элира: «Со хьан ялхо а, хьан долахь верг а ву. Схьа а волий, суна дуьхьалбевллачу арамхойн а, исраилхойн а паччахьийн карара кӀелхьарваккхахьа со».</verse>
				<verse number="8">ТӀаккха Ахьаза Везачу Элан цӀа чохь а, паччахьан цӀийнан хазни чохь а долу деши а, дети а, схьа а эцна, Ашур-мехкан паччахьна совгӀатна дахьийтира.</verse>
				<verse number="9">Ашурхойн паччахьо ладуьйгӀира Ахьаз-паччахьо бохучуьнга. Иза Дамасакхана дуьхьал тӀом бан вахара. Дамасакх схьа а лаьцна, цигара бахархой цо Кхир-гӀала дӀакхалхийтира, ткъа Рицан вийра.</verse>
				<verse number="10">Цул тӀаьхьа Ахьаз-паччахь Дамасакхе Ашур-мехкан паччахьна ТигӀлат-Палиасарна дуьхьалвахара. Ахьазана Дамасакхехь лаьтташ болу сагӀа доккху кхерч гира. Цо оцу сагӀа доккхучу кхерчан жима кеп а яйтина, иза дӀа муха хӀотто беза дуьйцуш долу кехат а яздина, уьш динан дега УръяхӀуга дӀадахьийтира.</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха динан дас УръяхӀус шега Дамасакхера Ахьаз-паччахьо схьабаийтинчу кепехь сагӀа доккху кхерч бира. Ахьаз-паччахь Дамасакхера юхаверзале динан дас УръяхӀус и кхерч бина дӀахӀоттийра.</verse>
				<verse number="12">Паччахьна, ша Дамасакхера цӀа веача, и сагӀа доккху кхерч гира. Цо, кхерчана тӀе а вахана, цу тӀехь сагӀа даьккхира.</verse>
				<verse number="13">Дийнаташ дагоран сагӀа а, кӀен сагӀа а, чагӀаран сагӀа а даьккхира цо цу кхерчана тӀехь. Бертан сагӀа а доккхуш, кхерчан агӀонаш тӀе цӀийн цинцаш туьйхира паччахьо.</verse>
				<verse number="14">Керлачу кхерчана а, Везачу Элан цӀенна а юкъахь Везачу Элана дӀакъастийна цӀестан кхерч бара лаьтташ. Амма Ахьаз-паччахьо, и кхерч, схьа а эцна, шен керлачу кхерчана къилбаседехьа агӀор охьабиллира.</verse>
				<verse number="15">Динан дега УръяхӀуга, омра а деш, Ахьаз-паччахьо элира: «Оцу боккхачу кхерчана тӀехь Ӏуьйренан дийнаташ дагоран сагӀа а, суьйренан кӀен сагӀа а даккха. Иштта цу тӀехь паччахьан а, кху махкара массо а адамийн а дийнаташ дагоран сагӀанаш а, кӀен сагӀанаш а, адамийн чагӀаран сагӀанаш а даха. Муьлхха а дагоран сагӀа доккхуш даьлла цӀий а, муьлхха а сагӀина дахьаш долчу дийнатийн цӀийн цинцаш а тӀетоха оцу кхерчана тӀе. Ткъа цӀестан кхерч пал туьйсуш лелор бу аса».</verse>
				<verse number="16">Ахьаз-паччахьо омра ма-дарра, дерриге а кхочушдира динан дас УръяхӀус.</verse>
				<verse number="17">Ахьаз-паччахьо чкъургаш тӀехь йолчу кӀелхӀотторгашна тӀера деакӀов пенаш а, еш а дӀадехира. Иштта боккха цӀестан яй а дӀабаьккхира, цӀестан стерчашна тӀера иза тӀулган цӀенкъа охьа а буьллуш.</verse>
				<verse number="18">Везачу Элан цӀийнан кертахь шоьтан дийнахь дӀахӀуттучу гуламна лерина йина тхевнан кӀело а дӀаяьккхира Ахьаза. Иштта паччахьан арахула Везачу Элан цӀа чу вогӀийла а дӀаяьккхира. Иза Ашур-мехкан паччахьан дуьхьа дира Ахьаза.</verse>
				<verse number="19">Ахьазан кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цо мел динчух лаьцна — яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь.</verse>
				<verse number="20">ТӀаккха Ахьаз, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Царна уллохь иза Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Ахьазан метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Хьузакх-ЯхӀу.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="17">
				<verse number="1">ЯхӀудхойн паччахь волчу Ахьаза паччахьалла деш долу шийтталгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира Элан кӀант ХӀушаӀ. Цо исс шарахь, Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, паччахьалла дира.</verse>
				<verse number="2">ХӀушаӀа а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. Амма шел хьалха хиллачу исраилхойн паччахьаша санна дукха зуламаш ца дора ХӀушаӀа.</verse>
				<verse number="3">Ашур-мехкан паччахь Шалманесар ХӀушаӀана дуьхьалвелира. ТӀаккха ХӀушаӀах, Шалманесарна ял а луш, цуьнан ялхо хилира.</verse>
				<verse number="4">Амма Ашур-мехкан паччахьна хааделира ХӀушаӀа шена дуьхьал барт бина хилар. ХӀушаӀа Мисар-мехкан Су-паччахьна тӀе геланчаш хьажийнера, ткъа Ашур-мехкан паччахьна, ша хьалха луш ма-хиллара, ял ца еллера цо. Цундела Ашур-мехкан паччахьо, ХӀушаӀ дӀа а лаьцна, иза набахти чу воьллира.</verse>
				<verse number="5">Берриг а Исраил-махкана тӀегӀоьртира Шалманесар. Шамран-гӀалина тӀе а веана, кхаа шарахь го бина латтийра цо и гӀала.</verse>
				<verse number="6">ХӀушаӀа паччахьалла до уьссалгӀа шо долуш дӀалецира Ашур-мехкан паччахьо Шамран-гӀала. Исраилхой, Ашур-махка дӀа а бигна, Хьалахь-гӀалахь а, Газун-кӀоштахь долчу Хьабур-хина йистехь а, Мадай-мехкан гӀаланашкахь а баха охьаховшийра цо.</verse>
				<verse number="7">И дерриг а хилира, шаьш Мисар-махкарчу паччахьан карара а, оцу махкара а арадаьхна волчу шайн Везачу Далла дуьхьал исраилхоша къинош летийна дела. Исраилхоша кхечу деланашна Ӏибадат дора,</verse>
				<verse number="8">Везачу Эло шайн лаьттара дӀалелхийначу къаьмнаша лелийна доллу хӀума лела а дора, иштта исраилхойн паччахьаша хӀиттийна зуламе ламасташ цара а леладора.</verse>
				<verse number="9">Шайн Везачу Далла нийса хеташ доцу гӀуллакхаш къайлаха леладора исраилхоша. Цара шайн массо а гӀаланашкахь тӀехь сагӀа доккху гунаш дӀахӀиттийра, ха деш йолу бӀов йолуш йолчу жимачу гӀалина тӀера дуьйна чӀагӀйинчу йоккхачу гӀалина тӀекхаччалц.</verse>
				<verse number="10">Исраилхоша шаьш Ӏаш болчохь харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш а, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш а хӀиттинера хӀора гуна тӀе а, хӀора ӀиндагӀ луш долчу диттана кӀел а.</verse>
				<verse number="11">Шаьш долчуьра Везачу Эло лелхийна долчу къаьмнаша санна, оцу массо а сагӀа доккхучу гунаш тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀуманаш ягайора цара. Иштта, Веза Эла оьгӀазвохуьйту зуламе гӀуллакхаш дора цара.</verse>
				<verse number="12">Цара цӀу-деланашна Ӏибадат дора, ткъа Везачу Эло исраилхошка аьллера: «Иза ма леладелаш».</verse>
				<verse number="13">Везачу Эло Шен массо а пайхамаршкахула а, хиндерг гуш волчуьнгахула а, Исраилан халкъе а, ЯхӀудан халкъе а дӀахьедар а деш, аьллера: «Шаьш лелачу зуламечу некъаш тӀера юхадовла, Аса шун дайшна тӀедиллина долу а, Сайн ялхой болчу пайхамаршкахула шуна дӀабеллачу товрат-хьехамна тӀехь долу а Сан весеташ а, парзаш а ларде».</verse>
				<verse number="14">Амма цара ла ца дугӀура. Уьш а, шайн Везачу Делах тешар доцу шайн дай санна, аьрхабевллера.</verse>
				<verse number="15">Уьш дӀабирзира Везачу Элан парзех а, церан дайшца Цо бинчу бартах а. Цара ла ца дуьйгӀира Везачу Эло шайга, дӀахьедар а деш, аьллачуьнга. Цара цӀу-деланашна Ӏибадат дора, уьш хӀумма а йоцург боллушехь, цу тайпана шаьш а хӀумма а боцурш а хилла. Шайна гонах долу къаьмнаш санна бехаш бара исраилхой, Везачу Эло шайга, весет а деш, аьлла доллушехь: «Ма делаш цара дийриг».</verse>
				<verse number="16">Халкъо шайн Везачу Делан весеташ дӀатеттира. Цара шайна деших доьттина ши эса а дӀахӀоттийра, Ашера-харцдалла лерина болу дечиган бӀогӀам а бира. Цара стигалшкахь мел болчу ницкъашна Ӏибадат а дора, БаӀал-харцдалла Ӏамал а йора.</verse>
				<verse number="17">Цара шайн бераш цӀерах чекхдохуьйтура. Иштта бозбунчаллаш а леладора, пал а туьйсура. Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора цара, Иза оьгӀаз а вохуьйтуш.</verse>
				<verse number="18">Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара исраилхошна. Цо уьш Шена уллора дӀатеттира. ЯхӀудан цхьа тайпа доцург, царах цхьа а ца висира!</verse>
				<verse number="19">ЯхӀудхоша а ца лардора шайн Везачу Делан весеташ. Цара а леладора исраилхойн Ӏадаташ, исраилхоша дийрриг а деш.</verse>
				<verse number="20">Иштта, Везачу Эло дӀатеттира дерриг а Исраилан халкъ. Цо дуккха а баланаш тӀе а бахкийтира цунна, талорхойн кара дӀа а белира уьш. ТӀаьххьара а Шена гучуьра дӀа а бехира Везачу Эло исраилхой.</verse>
				<verse number="21">Везачу Эло исраилхой Даудан цӀийнах дӀакъастийча, НабатӀан кӀант ЯрбаӀам шайн паччахь дӀахӀоттийра цара. Ткъа ЯрбаӀама, исраилхой Везачу Элах дӀа а берзийна, доккха къа латадайтира цаьрга.</verse>
				<verse number="22">ЯрбаӀам-паччахьо летош доллу къинош летадора исраилхоша а. И къинош леточуьра совцуш а бацара исраилхой,</verse>
				<verse number="23">Везачу Эло уьш дӀататталц, Шен ялхой болчу массо а пайхамаршкахула Цо аьлла ма-хиллара. Исраилхой шайн махкара Ашур-махка дӀакхалхийнера, уьш хӀинца а цигахь бехаш бу.</verse>
				<verse number="24">Ашур-мехкан паччахьо Бавел а, Кут а, Ӏаву а, Хьамат а, Сепарвайм а гӀаланашкара халкъаш арадехира. Уьш исраилхойн метта Шамран-мехкан гӀаланашка схьабалийра цо. Шамран-мохк шайн дола а баьккхина, схьадалийна долу и халкъаш цигара гӀаланашкахь даха охьахевшира.</verse>
				<verse number="25">Цигахь даха доладелча, и халкъаш Везачу Эле ларамах дуьзна ца хилла. Цундела Везачу Эло царна юкъа лоьмаш дохуьйтура. Лоьмаша цхьаберш хӀаллакбора.</verse>
				<verse number="26">ТӀаккха Ашур-мехкан паччахьна тӀе хабар даьхьира: «Шамран-мехкан гӀаланашка схьа а далийна, ахьа охьаховшийначу халкъашна цу махкарчу Дала тӀедехкинарш ца девза. Цундела Цо царна юкъа лоьмаш дахийтина, ткъа цу лоьмаша и халкъ хӀаллакдо, царна цу махкарчу Дала тӀедехкинарш ца девза дела», — аьлла.</verse>
				<verse number="27">Ашур-мехкан паччахьо, омра а деш, элира: «Цигара арабаьхна болчу динан дайх цхьаъ оцу махка вахийта. Иза цига дӀа а хьажавой, цу мехкан Дала тӀедехкинарш а довзуьйтуш, иза цигахь вахийта».</verse>
				<verse number="28">ТӀаккха Шамран-махкара арабаьхначарах цхьа динан да, Бетал-гӀала схьа а веана, Везачу Элана Ӏамал муха ян еза а хьоьхуш, цигахь вехаш вара.</verse>
				<verse number="29">Амма хӀора халкъо шайн-шайн деланийн цӀуш бора. И цӀуш сагӀа доккхучу гунаш тӀехь шамранхоша динчу харцделанийн цӀеношкахь дӀахӀиттабора цара. Иштта шаьш даха охьахевшинчу хӀора а гӀалахь дира цара.</verse>
				<verse number="30">Бавел-гӀаларчу наха шайна Сакхат-Банут олу цӀу-дела вира, Кут-гӀаларчу наха — Нургал, Хьамат-гӀаларчу наха — Ашимаъ цӀераш йолу цӀу-деланаш дӀахӀиттийнера.</verse>
				<verse number="31">Ӏаву-гӀалахь — Нибхьаз а, Тартакх а цӀуш бира, сепарваймхоша шайн бераш цӀергахь дагадора шайн цӀу-деланашна Адир-Маликана а, Ӏанам-Маликана а уьш сагӀина а дахьаш.</verse>
				<verse number="32">Цу тӀе Везачу Элана а Ӏамал йора цара. СагӀа доккхучу гунаш тӀе шайна юкъара динан дай хаьржира цара. Уьш гӀуллакх деш бара гунаш тӀехь долчу харцделанийн цӀенош чохь.</verse>
				<verse number="33">Цара Везачу Элана Ӏибадат дора, амма, шаьш арадаьхначу къаьмнийн ламасташка хьаьжжина, шайн деланашна а Ӏамал йора цара.</verse>
				<verse number="34">ХӀинца а шайн хӀетахьлера Ӏадаташ леладо цара. Уьш Везачу Эле ларамах буьзна бац, ткъа Везачу Эло «Исраил» аьлла цӀе тиллинчу Якъубан тӀаьхьенна делла парзаш а, тӀедехкинарш а, товрат-хьехам а, весеташ а цара лар ца до.</verse>
				<verse number="35">Везачу Эло, Исраилан халкъаца барт а беш, царна тӀедиллинера: «Кхечу деланашна Ӏибадат а ма де, царна корта а ма бетта, Ӏамал а ма е, сагӀа а ма даккха.</verse>
				<verse number="36">Ткъа шу Мисар-махкара Шен боккхачу ницкъаца а, схьакховдийначу куьйгаца а арадаьхна волчу Везачу Элана Ӏибадат а де, Цунна Ӏамал а е, Цунна сагӀа а даккха.</verse>
				<verse number="37">Везачу Эло шайна дӀаяздина парзаш а, тӀедехкинарш а, товрат-хьехам а, весеташ а гуттара а лардан деза аша. Кхечу деланашна Ӏамал ян ца еза аша.</verse>
				<verse number="38">Аса шайца бина барт биц а ма бе, кхечу деланашна Ӏамал а ма е.</verse>
				<verse number="39">Веккъа шайн Веза Эла волчу цхьана Далла Ӏамал е, тӀаккха Цо шу кӀелхьардохур ду шун массо а мостагӀех».</verse>
				<verse number="40">Амма исраилхоша Цуьнга ла ца дугӀура. Цара шаьш хьалха лелийна доллу гӀуллакхаш леладора.</verse>
				<verse number="41">Оцу халкъаша Везачу Элана а Ӏибадат дора, амма шайн цӀу-деланашна а Ӏамал йора. ХӀинца а церан бераша а, берийн бераша а, шайн дайша лелийна доллу гӀуллакхаш леладо.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="18">
				<verse number="1">Исраилхойн паччахь волчу Элан кӀанта ХӀушаӀа паччахьалла до кхоалгӀа шо долуш, яхӀудхойн паччахь дӀахӀоьттира Ахьаз-паччахьан кӀант Хьузакх-ЯхӀу.</verse>
				<verse number="2">Иза паччахь дӀахӀуттуш цуьнан ткъе пхи шо дара. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, ткъе исс шарахь паччахьалла дира Хьузакх-ЯхӀус. Цуьнан ненан цӀе яра Аби-ЯхӀу, ткъа иза Закри-ЯхӀун йоӀ яра.</verse>
				<verse number="3">Ша схьаваьллачу Дауд-паччахьо лела мел динарг санна, Хьузакх-ЯхӀус а леладора Везачу Элана нийса хеташ дерг.</verse>
				<verse number="4">СагӀа доккху гунаш дӀадехира цо, харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш хьийшира, Ашера цӀе йолчу харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш хедийра. Ткъа Муса-пайхамаро бина болу цӀестан лаьхьа Хьузакх-ЯхӀус кагбира, хӀунда аьлча цу хенахь а исраилхоша Нахьуштан цӀе йоккхуш болчу цунна хаза хьожа йогӀу хӀуманаш ягайора.</verse>
				<verse number="5">Исраилан халкъан Везачу Делах тешара Хьузакх-ЯхӀу. Цул хьалха, я цул тӀаьхьа и санна волу паччахь ца велира яхӀудхойн массо а паччахьашна юкъахь.</verse>
				<verse number="6">Везачу Элана тешаме а волуш, цкъа а Цунах дӀа ца вирзира Хьузакх-ЯхӀу. Мусагахула Везачу Эло бина хьехамаш кхочушбора цо.</verse>
				<verse number="7">Веза Эла гуттара а вара цуьнца, ткъа ша дечу массо а гӀуллакхаш тӀехь аьтто хуьлуш вара Хьузакх-ЯхӀу. Ашур-мехкан паччахьна дуьхьал а волуш, цунна муьтӀахь вацара Хьузакх-ЯхӀу.</verse>
				<verse number="8">Ха деш йолу бӀов йолчу жимачу гӀалина тӀера дуьйна йоккхачу чӀагӀйинчу гӀалина тӀекхаччалц, пӀелаштамхошна тӀехь толамаш бехира цо, Ӏази-гӀалина а, цуьнан гонах йолчу аренна а тӀекхаччалц.</verse>
				<verse number="9">Хьузакх-ЯхӀус паччахьалла до доьалгӀа шо долуш, ткъа исраилхойн паччахьан Элан кӀанта ХӀушаӀа паччахьалла до ворхӀалгӀа шо долуш, Ашур-мехкан паччахьо Шалманесара, тӀе а гӀоьртина, Шамран-гӀалина го бира.</verse>
				<verse number="10">Кхо шо даьлча, Шалманесара дӀалецира и гӀала. Цу тайпана Хьузакх-ЯхӀус паччахьалла до йолхалгӀа шо, ткъа исраилхойн паччахьо ХӀушаӀа паччахьалла до уьссалгӀа шо долуш, дӀалаьцнера Шамран-гӀала.</verse>
				<verse number="11">Ашурхойн паччахьо исраилхой Ашур-махка дӀабигира. Хьалахь-гӀалахь а, Хьабур-хина йистехь йолчу Газун-гӀалахь а, мадайхойн гӀаланашкахь а баха охьаховшийра цо уьш.</verse>
				<verse number="12">И дерриге а хилира, исраилхоша шайн Везачу Деле ла ца догӀарна а, Цуьнца бина барт шаьш бохорна а. Везачу Элан ялхо волчу Мусас шайна тӀе мел диллинчуьнга цара ла а ца дугӀура, цуьнан парзаш кхочуш а ца дора цара.</verse>
				<verse number="13">Хьузакх-ЯхӀус паччахьалла до дейтталгӀа шо долуш, Ашур-мехкан паччахьо Санхьариба, ЯхӀуд-мехкан массо а аьлла чӀагӀйинчу гӀаланашна тӀе а гӀоьртина, уьш дӀалецира.</verse>
				<verse number="14">ЯхӀудхойн паччахьо Хьузакх-ЯхӀус Лахиш-гӀала ашурхойн паччахьна тӀе геланчаш бахийтира. Цо бохура: «Со бехке ву. Ӏадвитахьа со. Ахьа бохху ял дӀалур ю аса хьуна». ТӀаккха ашурхойн паччахьо яхӀудхойн паччахьна Хьузакх-ЯхӀуна кхо бӀе гали дети а, ткъе итт гали деши а далар тӀедожийра.</verse>
				<verse number="15">Цу тайпана Везачу Элан цӀа чохь а, паччахьан хазнашна чохь а мел долу дети дӀаделира Хьузакх-ЯхӀус.</verse>
				<verse number="16">Везачу Элан цӀа чохь ша дӀахӀиттийначу дешин неӀаршна тӀера а, неӀарийн гураш тӀера а деши, схьа а даьккхина, Ашур-мехкан паччахьна дӀаделира цо.</verse>
				<verse number="17">Ашурхойн паччахьо Лахиш-гӀалара шен тӀеман коьрта хьаькам а, шен паччахьан кертара коьрта эла а, шен эскаран цхьа хьаькам а шен доккхачу эскарца Хьузакх-ЯхӀу-паччахьна тӀе Ярушалайме бахийтира. Уьш Ярушалайме дӀакхечира. Схьа а баьхкина, лакхарчу Ӏома чуьра хи охьадогӀучохь, наха хӀуманаш юьттучу аренна тӀебоьдучу новкъахь, дӀахӀиттира уьш.</verse>
				<verse number="18">Цара паччахье схьакхайкхира. Паччахьан цӀахь хьаькам волу Хьалкхи-ЯхӀун кӀант Элъякъим а, йозанча волу Шибна а, хилларг дӀаяздеш волу Асайпан кӀант Юахьи а, ара а ваьлла, царна тӀевеара.</verse>
				<verse number="19">Ашурхойн эскаран хьаькамо элира цаьрга: «Иштта дӀаала Хьузакх-ЯхӀуга: „Ашурхойн сийлахьчу паччахьо хоьтту хьоьга: ‘Хьан бӀобулуш дерг хӀун ду?’</verse>
				<verse number="20">Ахь боху хьайн говзалла а ю, тӀеман ницкъ а бу, амма уьш даьсса дешнаш ду. Ткъа хьанах ю хьан дегайовхо, хьо суна дуьхьалваллал?</verse>
				<verse number="21">Кагъелла Ӏаса санна болчу оцу Мисар-махкана тӀетовжа ойла йолуш ву те хьо? Шена тӀе цхьаъ товжахь, иза куьйгах чекхъер ма ю! Иштта ву шех тешна Ӏаш болчу массаьрца а Мисар-мехкан паччахь волу пирӀун.</verse>
				<verse number="22">Я аша олу те: ‘Тхайн Везачу Делах тешна Ӏаш ду тхо’? Делахь а Хьузакх-ЯхӀус, цу Далла лерина сагӀа доккху гунаш а, шайна тӀехь долу кхерчаш а дӀа а даьхна, ЯхӀудан а, Ярушалайман а халкъе ма олура: ‘Ярушалаймехь болчу хӀокху кхерчана хьалха бен Ӏибадат ма де’.</verse>
				<verse number="23">Вало, сан олахо волчу ашурхойн паччахьца берта гӀо хьо. Аса ши эзар дин хьуна белча а, царна тӀе ховшо береш карор барий хьуна?</verse>
				<verse number="24">Сан олахочун уггар кӀезиг лоруш болчу ялхойн цхьа тхьамда а юхаваккха муха гӀерта хьо, Мисар-махко хьайна тӀеман гӀудалкхаш яларх а, дошлой бахкийтарх а тешна хьо Ӏаш хилча?</verse>
				<verse number="25">Везачу Элан лаам ца хилча, кху лаьтта тӀе вогӀур варий со иза хӀаллакдан? Ша Везачу Эло элира соьга: ‘Ваха а гӀой, хӀокху махкана тӀе а латий, иза хӀаллакбе’“».</verse>
				<verse number="26">Хьалкхи-ЯхӀун кӀанта Элъякъима а, Шибнас а, Юахьис а эскаран хьаькаме элира: «Тхо арамхойн маттах кхета, цундела тхоьца арамхойн мотт бийца. Оцу пенна тӀехь лаьтташ долчу халкъана а хезаш, Ӏебархойн маттахь ма дийца тхоьца».</verse>
				<verse number="27">Эскаран хьаькамо жоп делира: «Веккъа цхьана хьан олахочунна тӀе а, хьуна тӀе а бен ваийтина-м вац со сан олахочо хӀара дешнаш дӀаала? ХӀан-хӀан, хӀокху пенна тӀе охьахевшина долчу, шуьца цхьаьна шайн боьхалла а юур долчу а, шайн хьатӀ муьйлур долчу а кху адамашка а дӀаала веана со».</verse>
				<verse number="28">ТӀаккха эскаран хьаькамо, хьала а гӀаьттина, чӀоггӀачу озаца Ӏебархойн маттахь элира: «ЛадогӀалаш ашурхойн сийлахьчу паччахьан дешнашка!</verse>
				<verse number="29">ХӀара ду паччахьо бохург: „Хьузакх-ЯхӀуга шаьш ле ма дайта. Цуьнга сан карара шу кӀелхьардахалур дац.</verse>
				<verse number="30">‘Везачу Эло вай кӀелхьар а дохур ду, и гӀала Ашур-мехкан паччахьан кара а йохуьйтур яц’ — бохуш, Везачу Элах а тешна, шаьш Хьузакх-ЯхӀуга ле ма дайта.</verse>
				<verse number="31">Ла ма догӀа Хьузакх-ЯхӀуга! Ашурхойн паччахьо иштта боху: ‘Соьца берта а гӀой, суна тӀедуьйла. Шух хӀораммо а шен долахь йолчу кемсийн таьлланга тӀера а, инжирийн дитташ тӀера а стоьмаш доийла, иштта хӀораммо а шен долахь йолчу гӀу чуьра хи а молийла,</verse>
				<verse number="32">аса, ван а веана, шена тӀехь кӀа а, чагӀар а долуш, бепиг а, кемсийн бошмаш а йолуш, зайт-дитташ а, моз а долуш, шун латта санна долчу лаьтта тӀе шаьш дӀадиггалц. Цу тайпана шу дехар а ду, лийр а дац. ‹Везачу Эло вай кӀелхьардохур ду›, — бохуш, шаьш ледеш волчу Хьузакх-ЯхӀуга ла ма догӀа.</verse>
				<verse number="33">Ткъа кхечу къаьмнийн деланех цхьаммо а шен мохк ашурхойн паччахьан куьйгах кӀелхьарбаьккхиний?</verse>
				<verse number="34">Мичахь бу Хьамат-гӀалин а, Арпад-гӀалин а деланаш? Мичахь бу Сепарвайм а, ХӀинаӀ а, Ӏева олучу гӀаланийн деланаш? Шамран-гӀала а кӀелхьаръяьккхиний цуьнан деланаша сан карара?</verse>
				<verse number="35">Оцу мехкийн мел болчу деланех муьлхачо кӀелхьарбаьккхина шен мохк сан куьйгах? ТӀаккха Везачу Эло Ярушалайм сан карара схьайоккхур ю аьлла хетий шуна?’“»</verse>
				<verse number="36">Дуьхьал цхьа а дош ца олуш, дӀатийна Ӏаш дара халкъ, хӀунда аьлча паччахьо омра динера: «Цунна дуьхьал жоп ма ло», — аьлла.</verse>
				<verse number="37">ТӀаккха паччахьан цӀийнан хьаькам волчу Хьалкхи-ЯхӀун кӀанта Элъякъима а, йозанчо Шибнас а, хилларг дӀаяздеш волчу Асайпан кӀанта Юахьис а, шайн тӀехулара бедарш а этӀийна, Хьузакх-ЯхӀуна тӀе а баьхкина, ашурхойн эскаран хьаькамо шайга аьлларг дӀадийцира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="19">
				<verse number="1">Шена и хабар ма-хеззи, шен тӀехулара бедарш а этӀийна, сингаттаман духар тӀе а дуьйхина, Везачу Элан цӀа долчу вахара Хьузакх-ЯхӀу.</verse>
				<verse number="2">Паччахьан цӀийнан хьаькам Элъякъим а, йозанча Шибна а, динан дайн тхьамданаш а, сингаттаман духарш тӀе а духийтина, Амосан кӀантана ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамарна тӀебахийтира цо.</verse>
				<verse number="3">Цара элира ЕшаӀ-ЯхӀуга: «Иштта боху Хьузакх-ЯхӀус: „Сингаттаман а, таӀзар даран а, эхь тӀедаран а де ду хӀара, хӀунда аьлча бер дуьнен чу доккхучу, амма и бер дан ницкъ ца кхочучу зудчух тарделла вай.</verse>
				<verse number="4">Цуьнан олахо волчу ашурхойн паччахьо схьахьажийначу эскаран хьаькамо дийна волу Дела емалвеш аьлла дешнаш хьан Везачу Далла дӀахаза тарло. Хьан Везачу Дала цунна таӀзар дан тарло, Шена дӀахезна и дешнаш бахьана долуш. Ткъа ахь дийна бисинчарах доӀа дехьа“».</verse>
				<verse number="5">Хьузакх-ЯхӀу-паччахьан ялхой шена тӀе баьхкича,</verse>
				<verse number="6">ЕшаӀ-ЯхӀус цаьрга элира: «ДӀаала шайн паччахье, Везачу Эло иштта боху: „Ашурхойн паччахьан ялхоша, Со емал а веш, аьллачу, хьайна хезначу дешнех ма кхера.</verse>
				<verse number="7">Хьажалахь! Аса цунна чу са дуьллуьйтур ду, тӀаккха цхьа хаам а хезна, иза шен махка юхавоьрзур ву. Ткъа Аса шен махкахь туьраца хӀаллаквийр ву иза“».</verse>
				<verse number="8">Ашурхойн паччахь Лахиш-гӀалара дӀавахна аьлла шена хезча, и эскаран хьаькам Ярушалаймера дӀавахара. Цунна шен паччахь Либна-гӀалина дуьхьал тӀом беш карийра.</verse>
				<verse number="9">ТӀаккха Санхьариб-паччахьна хезира, хушахойн паччахь ТирхӀакъа шена тӀелата араваьлла аьлла. Иза а хезна, цо геланчаш бахийтира яхӀудхойн паччахьна Хьузакх-ЯхӀуна тӀе,</verse>
				<verse number="10">цуьнга дӀаала: «Хьан Шех дегайовхо йолчу хьайн Деле хьо ле ма вайта, Цо хьайга: „Ярушалайм ашурхойн паччахьан кара дӀалур яц“, — аьлча.</verse>
				<verse number="11">Хьуна-х ма хезна, ашурхойн паччахьаша массо а мехкашна хӀун дина, уьш хӀаллак а деш? Ткъа хьо кӀелхьарвоккхур ву ткъа?</verse>
				<verse number="12">Сан дайша хӀаллакдинчу къаьмнийн деланаша уьш кӀелхьарбаьхний? Газун а, ХӀаран а, Рацап а гӀаланашкара а, Тилассар-махкахь йолчу Ӏеданера а бахархой кӀелхьарбаьхний цара?</verse>
				<verse number="13">Мичахь бу Хьамат а, Арпад а, Сепарвайм а, ХӀинаӀ а, Ӏева а цӀераш йолчу гӀаланийн паччахьаш?»</verse>
				<verse number="14">Хьузакх-ЯхӀус, геланчашкара кехат схьа а эцна, дийшира. ТӀаккха, Везачу Элан цӀийне а вахана, Далла хьалха и кехат схьадаржийра цо.</verse>
				<verse number="15">Везачу Элана хьалха доӀа а деш, Хьузакх-ЯхӀус элира: «Каруб-маликашна тӀехула йолчу Ӏаршна тӀехь охьахиъна Ӏаш волу, Исраилан халкъан Веза Дела! Дуьнен чуьра массо а пачхьалкхийн Дела Хьо цхьаъ ву. Ахь кхоьллина стигал а, латта а.</verse>
				<verse number="16">Хьайн лерг тӀе а дай, ладогӀахьа, Веза Эла, Хьайн бӀаьргаш схьа а беллий, хьажахьа, Веза Эла. ЛадогӀахьа Санхьариба, дийна Дела волу Хьо емалвеш, дуьйцучуьнга.</verse>
				<verse number="17">Ва Веза Эла, бакъ ду-кх ашурхойн паччахьаша, и халкъаш хӀаллак а деш, церан латтанаш а дассийна,</verse>
				<verse number="18">церан цӀу-деланаш цӀерга кхиссина. Ткъа уьш-м деланаш а боцуш, адамийн куьйгаша дечигах а, тӀулгах а дина суьрташ дара, цундела уьш хӀаллакдан тарлора.</verse>
				<verse number="19">Ткъа хӀинца, тхан Веза Дела, кӀелхьардахахьа тхо цу паччахьан куьйгех, тӀаккха дуьнен чуьра массо а пачхьалкхашна хуур дара, Веза Эла волу Хьо воцург, кхин Дела воцийла».</verse>
				<verse number="20">Амосан кӀанта ЕшаӀ-ЯхӀус Хьузакх-ЯхӀуга хабар дахьийтира: «Иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: „Ахьа Соьга ашурхойн паччахьна дуьхьал дина доӀа хезна Суна.</verse>
				<verse number="21">ХӀара ду Веза Эла волчу Аса цунна дуьхьал олу дош: ‘Емалъеш, йоьлур ю хьох Цийонан йоӀстаг, Ярушалайман йоӀа хьуна тӀаьхьа цаяшарца куьг тосур ду.</verse>
				<verse number="22">Мила ву ахь емалвинарг а, сийсазвинарг а? Хьанна дуьхьал аз айдина ахь, Хьанах ца вешаш хьайн бӀаьргаш хьалаайина? Исраилан Везачу Далла иштта дуьхьалваьлла-кх!</verse>
				<verse number="23">Веза Эла емал а веш, хьайн геланчашкахула ахьа бохура: ‹Сайн дуккха а йолчу гӀудалкхашца ломан лакхенашка хьалаваьлла со, Ливанунан уггар лакхарчу регӀа тӀе. Цуьнан уггар а лекха баганан дитташ а, тоьлла долу зоьзан дитташ а хедийна аса. Цуьнан уггар а генарчу меттигашка а, хьаннашна юкъахь къаьсттина юькъа йолчу хьуьнах а кхаьчна со.</verse>
				<verse number="24">Хийрачу мехкашкахь гӀунаш схьа а йостуш, царна чуьра хи мийлина аса. Сайн когийн айрашца Мисар-махкара дерриг а хиш лакъийна аса›.</verse>
				<verse number="25">Ас дуккха а хьалха и дерриг а дагатесна хилар хьуна ца хезна те? Ширачу заманахь дуьйна цунах ойла а йина, хӀинца иза Аса кхочушдина, чӀагӀйина гӀаланаш хьоьгахула ясса а йойтуш, царах къапалгийн саьлнаш а йойтуш.</verse>
				<verse number="26">Цу гӀаланийн бахархой ницкъ а байна хилла, кхерамна бега а беш, царна тӀе эхь деана. Арара буц я экам зӀийдагаш санна бу уьш. Тхов тӀехь хьалабаьлла бай санна бу уьш, кхиале берриг а марца а мерцина, малхбалера хьоькху бовха мох бахьана долуш.</verse>
				<verse number="27">Амма Суна хаьа хьо охьахиъча а, араваьлча а, чуваьлча а. Суна евза хьан Сайна дуьхьал йолу дералла а.</verse>
				<verse number="28">Хьан Суна дуьхьал дералла хиларна а, хьан цавашар Сан лере кхачарна а, хьан мерӀуьргех Сайн чӀуг а чекхйоккхур ю, хьан бага Сайн дуьрстанан гаьллаш а йохкур ю Аса. Хьо схьавеанчу новкъахула юха а верзор ву Аса’“.</verse>
				<verse number="29">ХӀара билгало ло Ас хьуна, Хьузакх-ЯхӀу: кху шарахь охьаэгначу ялтин хӀух кхиъна долу ялта, иштта тӀедогӀучу шарахь ша тӀедаьлларг а дуур ду аша. Ткъа кхоалгӀачу шарахь ялта дӀа а дей, иза чу а дерзаде, кемсийн бошмаш а дӀае, церан стоьмаш а баа.</verse>
				<verse number="30">ЯхӀудан цӀийнах дийна висинчо юха а лахахь орамаш а хоьцур ду, лакхахь стом а лур бу.</verse>
				<verse number="31">ХӀунда аьлча Ярушалаймера схьабогӀур бу дийна биснарш а, Цийон-ломара богӀур бу шаьш кӀелхьарбевлларш а. Иза массо а ницкъийн Везачу Делан хьагӀ йоцучу эмгаралло кхочушдийр ду.</verse>
				<verse number="32">Цундела ашурхойн паччахьах лаьцна Везачу Эло иштта боху: „Иза цу гӀали чу а вер вац, цу чу цо ур-атталла цхьа пха а кхуссур бац. Карахь турс долуш гӀалина тӀе а вогӀур вац иза, цунна гонах баьрзнаш а дийр дац цо.</verse>
				<verse number="33">Ша схьавеанчу новкъахула юхавоьрзур ву иза, амма цу гӀали чу вогӀур вац, — боху Ас, Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="34">Аса ларйийр ю хӀара гӀала, Сайн дуьхьа а, Сайн ялхочун Даудан дуьхьа а кӀелхьар а йоккхур ю иза“».</verse>
				<verse number="35">Цу буьйсанна хӀара хилира: Везачу Элан Малико, дӀа а дахана, Ашурхойн эскаран меттаматтара цхьа бӀе везткъе пхи эзар стаг хӀаллаквира. Дийна бисина болу ашурхой Ӏуьйранна хьалагӀевттича, царна лаьттахь Ӏохку декъий гира.</verse>
				<verse number="36">Ашурхойн паччахь Санхьариб, юха а ваьлла, Нунав-гӀала веара. Цигахь иза сецира.</verse>
				<verse number="37">Шен дела волчу Нисрухан цӀа чохь Ӏибадат дечу хенахь, цуьнан кӀенташа Адир-Малика а, Шар-Эцара а, тур а тоьхна, вийра иза. Юха и шиъ Арарат-махка дӀаведира. ТӀаккха Санхьарибан метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кхин кӀант Эсар-Хьадун.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="20">
				<verse number="1">Цу деношкахь Хьузакх-ЯхӀу, цомгуш а хилла, валарна гергакхаьчнера. Амосан кӀант волчу ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро, иза волчу а веана, элира цуьнга: «Иштта боху Везачу Эло: „Хьайн цӀентӀехь болчаьрга весет де, хӀунда аьлча, цомгуш волчуьра то а ца луш, хьо лийр ву“».</verse>
				<verse number="2">Юьхь пенехьа дӀа а ерзийна, Везачу Эле иштта доӀа дира Хьузакх-ЯхӀус:</verse>
				<verse number="3">«Ва, Веза Эла! Дагадаийтахьа со Хьуна тешаме а волуш, доггах тӀевирзина а хуьлуш, Хьайна хьалха лелар. Ас гуттар а Хьуна нийса хеташ дерг леладора». ТӀаккха къаьхьа вилхира Хьузакх-ЯхӀу.</verse>
				<verse number="4">ЕшаӀ-ЯхӀу паччахьан цӀийнан юккъерачу кертара ара а валале, Везачу Элан дош кхечира цуьнга:</verse>
				<verse number="5">«Юха а верзий, Сан халкъан олахочуьнга Хьузакх-ЯхӀуга ала: „Иштта боху хьо схьаваьллачу Даудан Дела волчу Везачу Эло: ‘Суна хьан доӀа а хези, хьан бӀаьрхиш а ги. Аса хьо товийр ву. КхоалгӀачу дийнахь Везачу Элан цӀийне гӀур ву хьо.</verse>
				<verse number="6">Ас хьан дахарна пхийтта шо хан тӀетухур ю. Ашурхойн паччахьан куьйгах хьо а, хӀара гӀала а кӀелхьарйоккхур ю Аса. Сайн дуьхьа а, Сайн ялхо волчу Даудан дуьхьа а ларйийр ю Аса хӀара гӀала’“».</verse>
				<verse number="7">ЕшаӀ-ЯхӀус элира: «Ӏаьвдина инжирийн курс схьаэца». Ӏаьвдина инжирийн курс схьа а эцна, иза оцу ноткъа ечу меттигна тӀейиллира цара. ТӀаккха паччахь товелира.</verse>
				<verse number="8">Хьузакх-ЯхӀус ЕшаӀ-ЯхӀуга хаьттира: «ХӀун билгало хир ю, Везачу Эло со то а вина, кхоалгӀачу дийнахь со Везачу Элан цӀийне гӀур ву аларан?»</verse>
				<verse number="9">ЕшаӀ-ЯхӀус жоп делира: «Везачу Эло Ша аьлларг кхочушдийриг хиларан билгало хӀара хир ю: лами тӀера ӀиндагӀ итт тӀегӀанна хьалхадаккха я юхадаккха лаьа хьуна?»</verse>
				<verse number="10">Хьузакх-ЯхӀус элира: «ӀиндагӀана атта хир ду итт тӀегӀанна хьалхадала. ХӀан-хӀа, лами тӀера ӀиндагӀ итт тӀегӀанна юхадалийта».</verse>
				<verse number="11">ЕшаӀ-ЯхӀу Везачу Эле кхайкхира. Ткъа Везачу Эло Ахьаз-паччахьан лами тӀера ӀиндагӀ ша тӀедаханчу итт тӀегӀанна юхадаккхийтира.</verse>
				<verse number="12">Цу хенахь Бавел-мехкан паччахь волчу Балу-Адданан кӀанта Мардух-Балу-Адданана кехаташ а, совгӀат а дахьийтира Хьузакх-ЯхӀуна, иза цомгуш ву аьлла, шена хезна дела.</verse>
				<verse number="13">Геланчаш тӀе а эцна, Хьузакх-ЯхӀус царна гайтира шен чӀоь-цӀа чохь мел дерг — дети а, деши а, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а, деза хьакхарш а — герз чохь долу цӀа а, шен хазнашкахь мел дерг а. Хьузакх-ЯхӀус шен паччахьан цӀа чохь а, шен массо а пачхьалкхехь а царна гайтаза хӀумма а ца дитира.</verse>
				<verse number="14">Юха ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро, Хьузакх-ЯхӀу-паччахь волчу а веана, хаьттира цуьнга: «ХӀун бохура оцу наха? Мичара баьхкинера уьш?» Хьузакх-ЯхӀус жоп делира: «Уьш генарчу махкара баьхкинера, Бавелера», — аьлла.</verse>
				<verse number="15">«Хьан цӀа чуьра хӀун гира царна?» — аьлла, хаьттира ЕшаӀ-ЯхӀус. «Сан цӀахь мел долу хӀума а гира царна. Сан хазнаш чохь хӀумма а ца йисна ас царна гайтаза», — элира Хьузакх-ЯхӀус.</verse>
				<verse number="16">ТӀаккха ЕшаӀ-ЯхӀус элира Хьузакх-ЯхӀуга: «ЛадогӀа, Везачу Эло хӀун боху:</verse>
				<verse number="17">„Цхьа хан йогӀур ю, хьан цӀа чохь мел дерг а, хьан дайша кху дийне кхаччалц гулдинарг а Бавеле дӀахьош. ХӀумма а бухадуьсур дац“, — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="18">Ахьа байтина болчу, хьох схьабевллачу хьан кӀентех цхьаберш а дӀабуьгур бу. Бавелан паччахьан цӀахь баьӀна ялхой бийр бу царах».</verse>
				<verse number="19">Хьузакх-ЯхӀус жоп делира: «Ахь Везачу Элера беана хаам дика бу». Амма шен дагахь цо ойла йира: «Сан дахаран деношкахь машар а, синтем а хир бу» — бохуш.</verse>
				<verse number="20">Хьузакх-ЯхӀун кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цуьнан майрачу гӀуллакхех а, цо бинчу хи латтош болчу Ӏомах а, цо лаьтта кӀелхула гӀали чу хи далош аьхкинчу саьнгарх а лаьцна — дӀаяздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь.</verse>
				<verse number="21">Хьузакх-ЯхӀу а, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Хьузакх-ЯхӀун метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Маннаш.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="21">
				<verse number="1">Маннашан шийтта шо хилла, иза паччахь дӀахӀоьттича. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо шовзткъе пхийтта шарахь паччахьалла дира. Цуьнан ненан цӀе Хьапцаби яра.</verse>
				<verse number="2">Везачу Эло исраилхошна юкъара дӀалелхийначу къаьмнаша мел лелийна дегаза гӀуллакхаш а леладеш, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора Маннаша.</verse>
				<verse number="3">Шен дас Хьузакх-ЯхӀус дохийна дӀадаьхна долу сагӀа доккху гунаш юхаметтахӀиттийра цо. Иштта цо, исраилхойн паччахь волчу Ахьаба санна, БаӀална сагӀа доккху меттигаш а кечйора, Ашерана лерина болу дечиган бӀогӀам а дӀахӀоттабора. Цо стигалшкахь мел болчу ницкъашна, суждане а оьхуш, Ӏибадат дора.</verse>
				<verse number="4">Везачу Элан цӀа чохь а цӀушна сагӀа доккху кхерчаш дӀахӀиттийра Маннаша, оцу цӀийнах лаьцна «Ярушалайм-гӀалахь Сайн цӀе абаденна язъяйта лаьа Суна» — Везачу Эло аьлла доллушехь а.</verse>
				<verse number="5">Везачу Элан цӀийнан шинна а кертахь стигалшкахь мел болчу ницкъашна сагӀа доккху кхерчаш дӀахӀиттийра цо.</verse>
				<verse number="6">Маннаша шен кӀант цӀерах чекхвоккхуьйтура. Иштта бозбунчаллаш а леладора, пал а туьйсура, беллачийн синош тӀедоьхуш болчарах а, жинашца тайначарах а дагаволура. Цу тайпана, Веза Эла оьгӀаз а вохуьйтуш, Цунна зуламе хеташ долу дуккха а гӀуллакхаш леладора цо.</verse>
				<verse number="7">Ашера-харцдалла лерина ша бина дечиган бӀогӀам, схьа а эцна, Делан цӀа чохь дӀахӀоттийра Маннаша, цунах лаьцна Везачу Эло Дауде а, цуьнан кӀанте Сулиме а иштта аьлла доллушехь: «Ярушалайм-гӀалахь — исраилхойн шийтта тайпанан латтанашна юкъара Айса хаьржина йолчу меттигехь — хӀокху Сайн цӀа чохь Сайн цӀе язъяйта лаьа Суна гуттаренна а.</verse>
				<verse number="8">Нагахь санна Аса царна мел тӀедиллинарг — Сан ялхо волчу Мусас царна тӀедиллина берриг а товрат-хьехам — цара леррина кхочушбахь, Айса церан дайшна деллачу лаьтта тӀера исраилхойн когаш кхин цкъа а дӀабуьгуьйтур бац».</verse>
				<verse number="9">Амма цара ла ца дуьйгӀира Цуьнга. Маннаша харц некъа тӀе бехира уьш: Везачу Эло, исраилхошна хьалхара дӀа а даьхна, хӀаллакдинчу кхечу къаьмнаша лелийначул а сов зуламаш леладора цара.</verse>
				<verse number="10">Иштта, Шен ялхой болчу пайхамаршкахула Везачу Эло элира:</verse>
				<verse number="11">«ЯхӀудхойн паччахьо Маннаша дегаза долу къинош летийнера. Шел хьалха хиллачу эмархоша лелийначул а сов зуламаш леладора цо, ткъа шен цӀушца яхӀудхошка къинош летадайтира цо.</verse>
				<verse number="12">Цундела иштта боху исраилхойн Веза Дела волчу Аса: хӀинца Аса бохам тӀебоуьйтур бу Ярушалаймана а, ЯхӀудан халкъана а, оцу бохамах лаьцна мел хезнарг, кхерам а тесна, дегӀах зуз даллал цец а воккхуш.</verse>
				<verse number="13">Айса Шамран-гӀалина дуьхьал лелийна терза а, Ахьаб-паччахьан цӀенна охьайиллина санисбийриг а Ярушалайм-гӀалина а дуьхьалйоккхур ю Аса. Адамо, цӀан а йина, Ӏункар хӀоттош йолу пхьегӀа санна, цӀанйийр ю Аса Ярушалайм.</verse>
				<verse number="14">Аса Сайн долахь долчу халкъах бисинарш буьтур бу, уьш мостагӀийн кара дӀа а лур бу. ХӀонс санна хир ду и адамаш церан мостагӀашна.</verse>
				<verse number="15">Иза Аса дийр ду, цара, Суна зуламе хеташ долу гӀуллакхаш а деш, шайн дай Мисар-махкара арабевллачу дийнахь дуьйна хӀинццалц схьа Со оьгӀазъэхийтарна».</verse>
				<verse number="16">Иштта, Маннаша яхӀудхошка къа латадайтира, ткъа цундела цара Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. Цул сов, Маннаша, бехке боцучеран цӀий а Ӏанош, Ярушалайм-гӀала цхьана йистера вукху йисте кхаччалц цӀийх юьзира.</verse>
				<verse number="17">Маннашан кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цо мел динчух а, цо летийначу къинойх а лаьцна — яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь.</verse>
				<verse number="18">ТӀаккха Маннаш, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза шен паччахьан цӀерачу бешахь дӀавоьллира. И беш Ӏузин беш яра. Маннашан метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Амин.</verse>
				<verse number="19">Аминан ткъе ши шо хилла, иза паччахь дӀахӀоьттича. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо шина шарахь паччахьалла дира. Цуьнан ненан цӀе Машулимат яра. Иза Ютберачу Хьаруцин йоӀ яра.</verse>
				<verse number="20">Шен дас Маннаша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора Ӏаммина а.</verse>
				<verse number="21">Ӏаммин а хилла, шен да ваьхна ма-хиллара, вехаш. Цо а шен дас Маннаша Ӏибадат дина хиллачу цӀушна Ӏамал йора, царна хьалха суждане а воьдуш.</verse>
				<verse number="22">Шен дайн Дела волу Веза Эла витира Ӏаммина. Везачу Элан некъаца ца лелара иза.</verse>
				<verse number="23">Аминан ялхоша, ямартлонца цунна дуьхьал барт а бина, шен паччахьан цӀахь иза вийра.</verse>
				<verse number="24">ТӀаккха цу махкарчу халкъо Амин-паччахьна дуьхьал ямартлонца барт бинарш берриш а хӀаллакбира. Цара Аминан метта цуьнан кӀант Юши-ЯхӀу, паччахь а вина, дӀахӀоттийра.</verse>
				<verse number="25">Аминан кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цо мел динчух лаьцна — яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь.</verse>
				<verse number="26">Ӏаммин Ӏузин бешахь йолчу шен къубби чохь дӀавоьллира. Ӏамминан метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Юши-ЯхӀу.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="22">
				<verse number="1">Юши-ЯхӀун бархӀ шо хилла иза паччахь дӀахӀуттучу хенахь. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо ткъе цхьайтта шарахь паччахьалла дира. Цуьнан ненан цӀе Ядидат яра. Иза Боцкхат-гӀаларчу Ӏади-ЯхӀун йоӀ яра.</verse>
				<verse number="2">Юши-ЯхӀус Везачу Элана нийса хеташ дерг леладора. Массо а хӀуманна тӀехь ша схьаваьлла волу Дауд-паччахь леллачу новкъахула лелара Юши-ЯхӀу. Цу некъа тӀера я аьтту, я аьрру агӀор дӀа ца ваьлла иза.</verse>
				<verse number="3">Юши-ЯхӀу-паччахьо олалла деш долу берхӀитталгӀа шо долуш, шен йозанча волу Машулиман кӀентан Ацал-ЯхӀун кӀант Шапани вахийтира цо Везачу Элан цӀийне. Паччахьо элира:</verse>
				<verse number="4">«Динан коьртачу дена Хьалкхи-ЯхӀуна тӀе а гӀой, Везачу Элан цӀийнан кевнехь лаьтташ болчу гӀаролхоша нахера схьагулдинчу ахчанан хьесап дайта цуьнга.</verse>
				<verse number="5">И ахча Везачу Элан цӀенна тӀехь болх беш болчу белхалошна тӀехьовсучу нехан кара дӀадала деза. Ткъа цара дӀадекъа деза и ахча Везачу Элан цӀа тодеш болчарна:</verse>
				<verse number="6">дечиг пхьерашна а, гӀишло ечарна а, пенаш дуттучарна а. Иштта дечиг а, хьаькхна тӀулгаш а схьаэцийта цаьрга, Везачу Элан цӀа тодархьама.</verse>
				<verse number="7">Шаьш оцу белхалошна дӀалуш долчу ахчанан хьесап а ма де, хӀунда аьлча царах теша мегар ду».</verse>
				<verse number="8">Динан да волчу Хьалкхи-ЯхӀус йозанче Шапанига элира: «Суна товрат-хьехамийн тептар карийна Везачу Элан цӀа чохь». Хьалкхи-ЯхӀус и тептар Шапанига делира, ткъа вукхо иза дӀадийшира.</verse>
				<verse number="9">Йозанча Шапани паччахь волчу юхавеара, цуьнга хаам а беш. Цо элира: «Хьан ялхоша, Везачу Элан цӀенна хьалха долу ахча, схьа а эцна, Делан цӀа тодеш белхаш беш болчарна тӀехьожуш болчийн кара дӀаделла».</verse>
				<verse number="10">ТӀаккха йозанчо Шапанис элира: «Динан дас Хьалкхи-ЯхӀус тептар делла соьга». Шапанис и тептар паччахьна хьалха дийшира.</verse>
				<verse number="11">Товрат-хьехамийн тептар тӀера дешнаш шена дӀахезча, паччахьо шен тӀехулара бедар этӀийра.</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха паччахьо, динан дена Хьалкхи-ЯхӀуна а, Шапанин кӀантана Ахьикхамина а, Мика-ЯхӀун кӀантана Ӏахбарна а, йозанчина Шапанина а, паччахьан ялхочунна Ӏаси-ЯхӀуна а тӀе а дуьллуш, элира:</verse>
				<verse number="13">«Даха а гӀой, сан дуьхьа а, берриге а яхӀудхойн дуьхьа а оцу карийначу тептар тӀехь долчух лаьцна Везачу Элах дагадовла. Везачу Элан дералла вайна тӀехь чӀагӀъелла, вайн дайша хӀокху тептаран дешнашка ла ца дуьйгӀина дела. Вайх лаьцна цигахь мел яздинчуьнга хьаьжжина, лело дезарг лела ма ца дора цара».</verse>
				<verse number="14">ТӀаккха динан да Хьалкхи-ЯхӀу а, Ахьикхам а, Ӏахбар а, Шапани а, Ӏаси-ЯхӀу а Ярушалайман шолгӀачу декъахь Ӏаш йолчу а, шегахь Делера болу хаам беш йолчу а Хьулдатана тӀебахара. (Цуьнан майра вара Хьархьасан кӀентан Тикхавин кӀант волу Шалум, ткъа иза духарийн цӀенна тӀехь куьйгалхо вара.) Цара цуьнца къамел дира.</verse>
				<verse number="15">Хьулдата цаьрга элира: «ХӀара боху исраилхойн Везачу Дала: „Шаьш Суна тӀехьажийначу стаге хӀара дӀаала:</verse>
				<verse number="16">‘Иштта боху Везачу Эло: ‹Аса бохам боуьйтур бу кху меттигна а, кхуьнан бахархошна а тӀе, яхӀудхойн паччахьо дешна долчу тептар тӀера дерриг а дешнаш тӀехь ма-хиллара.</verse>
				<verse number="17">Со дӀа а тесна, хаза хьожа йогӀу хӀума кхечу деланашна а ягош, шаьш мел лелочу хӀуманца Со дарвеш шу леларна, Сан оьгӀазло хир ю кху меттигна тӀехь, дӀайовр йоцу алу санна›’.</verse>
				<verse number="18">Веза Эла волчу Сох дагавалийта аьлла шаьш схьахьажийначу яхӀудхойн паччахье аша дӀаала: ‘Иштта боху исраилхойн Везачу Дала хьуна хезначу дешнех лаьцна:</verse>
				<verse number="19">Аса кху меттигна а, кхуьнан бахархошна а дуьхьал аьлла дешнаш хьайна дӀа а хезна, хьан дог кӀад а луш, Суна хьалха ахь хьо лахварна а, хьайн тӀехулара бедар этӀа а йина, Суна хьалха хьо велхарна а, Суна хьо дӀахезна, — боху Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="20">И бахьанехь хьо, синтемца дӀа а кхелхина, хьайн дайшна тӀевохуьйтур ву Аса, ткъа хьо хьайн къубби чу охьавуьллур ву. Хьан бӀаьргашна гур бац Аса кху меттигна тӀебоуьйтур болу и массо а бохамаш’“». Паччахьна тӀедаьхьира и жоп.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="23">
				<verse number="1">Юши-ЯхӀу-паччахьо ЯхӀуд-мехкан а, Ярушалайм-гӀалин а берриге а къаной схьагулбайтира.</verse>
				<verse number="2">Паччахь Везачу Элан цӀийнан керта вахара. Цуьнца цхьаьна цига дахара ЯхӀуд-мехкан дерриге халкъ а, Ярушалайман берриге бахархой а, динан дай а, пайхамарш а, доллу халкъ а, уггаре ладаме доцучу адамашкара дуьйна уггаре лараме долчу адамашна тӀекхаччалц. ТӀаккха паччахьо Везачу Элан цӀенна уллохь карийначу Дала бинчу бертан тептар тӀера дерриге а дешнаш дӀадийшира, уьш цигахь лаьтташ долчу массо халкъана дӀа а хозуьйтуш.</verse>
				<verse number="3">БӀогӀамна юххе а хӀоьттина, паччахьо Везачу Элана хьалха Цуьнца бина болу барт карлабаьккхира — цо дош делира Везачу Элана тӀаьхьахӀотта а, шен доллучу даггара, доллучу синца Цуьнан весеташ а, бакъонаш а, парзаш а лардан а, оцу бертан тептар тӀера дешнаш кхочуш а деш. ТӀаккха дерриге а халкъо чӀагӀо йира и барт кхочушбан.</verse>
				<verse number="4">ТӀаккха Юши-ЯхӀу-паччахьо омра дира, динан коьртачу дега а, вукху динан дайшка а, Везачу Элан цӀийнан кертарчу гӀаролашка а, оцу кертахь цӀу-деланашка БаӀална а, Ашерана а, стигалшкахь мел болчу ницкъашна а Ӏамал еш дӀахӀоттийна мел йолу хӀума араяккха аьлла. Юши-ЯхӀу-паччахьо и ерриг хӀуманаш Ярушалайм-гӀалина арахьа йолчу Кхидрун-тогӀи чохь ягаяйтира, ткъа уьш ягийча бисина болу чим Бетал-гӀала дӀабаьхьира.</verse>
				<verse number="5">ЯхӀудхойн паччахьаша къобалбинера динан дай, ткъа цара хаза хьожа йогӀу хӀума ягайора БаӀал-харцдалла а, малхана а, баттана а, седарчашна а, стигалшкахь мел болчу ницкъашна а. Юши-ЯхӀу-паччахьо дӀабехира ЯхӀуд-мехкан массо гӀаланийн а, Ярушалайм-гӀалина гонах мел йолчу меттигийн а сагӀа доккхучу гунашкахь хаза хьожа йогӀу хӀума яго яхӀудхойн паччахьаша къобалбина мел болу и харц динан дай.</verse>
				<verse number="6">Везачу Элан цӀийнан кертахь Ашера-цӀунна боьгӀна болу бӀогӀам Юши-ЯхӀу-паччахьо арабаккхийтира. Ярушалайм-гӀалара ара а баьккхина, Кхидрун-тогӀи чохь багийра иза. Ткъа йисинчу хӀуманех чим бина, иза цӀеяхана боцучеран къуббанашна тӀехула дӀасабаржабайтира цо.</verse>
				<verse number="7">Цул тӀаьхьа Юши-ЯхӀу-паччахьо Везачу Элан цӀийнан кертахь лаьтташ болчу цӀуйн дуьхьа сийсаза лелаш болчу «безачу» божарийн цӀенош дохадайтира. (Цигахь Ашера-цӀунна Ӏамал ечу хенахь тӀеюхуш йолу бедарш юцура зударша.)</verse>
				<verse number="8">Юши-ЯхӀу-паччахьо массо динан дай, ЯхӀуд-махкара ара а баьхна, Ярушалайм-гӀали чубехира. Берриге а ЯхӀуд-махкахь — ГибаӀ-гӀалара дуьйна Беар-ШабаӀ-гӀала кхаччалц — динан дайша тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀума ягийна меттигаш бехъяйтира цо. Юши-ЯхӀу-паччахьо иштта гӀалин кевнна уллохь болчу газа-цӀушна лерина болу сагӀа доккху гу бохабайтира. ГӀалин хьаькам хиллачу ЮшаӀан кевнехь чуволлучохь, гӀалин кевнан аьрру агӀор, бара и гу.</verse>
				<verse number="9">Ткъа, хьалха цӀушна Ӏамалъеш хиларна, оцу динан дайшна Ярушалайм-гӀалахь Везачу Элана хӀоттийначу сагӀа доккхучу кхерчана тӀехь сагӀа даккха ца магадора. Делахь а вукху динан дайшца цхьаьна совсаза бепиг даа магийтина дара царна.</verse>
				<verse number="10">Юши-ЯхӀу-паччахьо сийсазъяьккхира Бен-ХӀинам-тогӀи чохь йолу Тупат олу меттиг, цхьана а стаге кхин цкъа а шен кӀант я йоӀ цигахь Мулка-цӀунна лерина цӀерах чекх ца бахийтархьама.</verse>
				<verse number="11">ДӀаяханчу заманахь яхӀудхойн паччахьаша говраш а, гӀудалкхаш а хӀиттайора Везачу Элан цӀийнан керта чу воллучохь, паччахьан кертара куьйгалхо волчу Ната-Маликан цӀенна юххехь. Малхан далла къобалйинера и говраш а, гӀудалкхаш а. Юши-ЯхӀу-паччахьо и говраш цигара дӀаяхийтира, ткъа гӀудалкхаш ягаяйтира.</verse>
				<verse number="12">Яханчу заманахь яхӀудхойн паччахьаша Ахьазан цӀенойн тӀехула долчу цӀийнан тхов тӀе тӀулгех сагӀа доккху меттиг кечйинера. Иштта Маннаш-паччахьо а Везачу Элан цӀийнан шинна а кертахь сагӀа доккху меттигаш кечйинера. Ткъа Юши-ЯхӀу-паччахьо и ерриге сагӀа доккху меттигаш йоха а яйтина, йисина къапалгаш Кхидрун-тогӀи чу кхиссийтира.</verse>
				<verse number="13">Ярушалайм-гӀалина малхбалехь болу а, ХӀаллакдаран ломана къилбехь болу а сагӀа доккху гунаш а сийсаздехира Юши-ЯхӀу-паччахьо. И гунаш исраилхойн паччахь волчу Сулима дӀахӀиттийнера цӀаданхоша Ӏамал еш йолчу дегазчу Ӏаштарт-цӀунна а, муабахоша Ӏамал еш волчу боьхачу Камош-цӀунна а, Ӏамминхоша Ӏамал еш волчу дегазчу МилкӀом-цӀунна а лерина.</verse>
				<verse number="14">Юши-ЯхӀу-паччахьо дохадайтира харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш а, дӀадахийтира Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш а. Ткъа и меттигаш беллачийн даьӀахкех юьзира.</verse>
				<verse number="15">Иштта кхин а Юши-ЯхӀу-паччахьо бохийна дӀабаьккхира Бетал-гӀалахь болу сагӀа доккху кхерч. Исраилхошка къинош летадайтинчу НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама цигахь, сагӀа доккхучу гу тӀехь, дӀахӀоттийна хилла и кхерч. Цигахь мел йолу хӀума ягийна дӀаяккхийтира цо, Ашера-харцдалла лерина болу бӀогӀам а тӀехь. Йисина хӀуманаш ата а аьтта, царах чан яйтира паччахьо.</verse>
				<verse number="16">Юши-ЯхӀу-паччахьна, дӀахьаьжча, оцу лома тӀехь къуббанаш гира. Цо, нах а бахийтина, цигара даьӀахкаш схьаяийтира. ТӀаккха и даьӀахкаш оцу сагӀа доккхучу кхерча тӀехь ягаяйтира, и кхерч сийсазбаккхархьама. Иштта кхочушхилира Везачу Элан дош. Делан стага хаам бинера, иштта хир ду аьлла, ЯрбаӀам-паччахь дезачу деношкахь кхерчана хьалха лаьттачу хенахь. Юши-ЯхӀу-паччахьна, дӀахьаьжча, и гӀуллакх хир ду аьллачу пайхамаран къубба гира.</verse>
				<verse number="17">Цо хаьттира: «И хӀун чурт ду суна гуш дерг?» Цу гӀаларчу бахархоша жоп делира цуьнга: «ЯхӀуд-махкара вогӀуш хиллачу Делан стеган къубба ю иза. Ткъа цо яханчу заманахь ахьа хӀинца Бетал-гӀалин сагӀа доккхучу кхерчана дуьхьал динарг аьллера».</verse>
				<verse number="18">Юши-ЯхӀу-паччахьо элира: «Меттах ма ваккха иза, цуьнан даьӀахкаш цхьаммо а ма хьае». ТӀаккха цара меттах ца ехира цу стеган а, Шамран-махкара вогӀуш хиллачу пайхамаран а даьӀахкаш.</verse>
				<verse number="19">Иштта, Юши-ЯхӀу-паччахьо Шамран-махкарчу гӀаланашкахь сагӀа доккхучу гунаш тӀехь дӀахӀиттийна цӀу-деланийн цӀенош а дохадайтира. Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахнера цу кеппара долу цӀенош исраилхойн паччахьаша дӀахӀиттадарна. Ша Бетал-гӀалахь диннарг оцу гунаш тӀехь йолчу сагӀа доккхучу меттигашна а дира Юши-ЯхӀу-паччахьо.</verse>
				<verse number="20">Ишттачу меттигашкара динан дай Юши-ЯхӀу-паччахьо байина дӀабахийтира. ТӀаккха адамийн даьӀахкаш цу сагӀа доккхучу меттигашна тӀехь ягийра. Ткъа иштта Ӏамал ен меттигаш йоха а яйтина, ша Ярушалайме юхавирзира Юши-ЯхӀу-паччахь.</verse>
				<verse number="21">ТӀаккха Юши-ЯхӀу-паччахьо халкъе омра дира. Цо элира: «Везачу Эло тхоьца бинчу оцу бертан тептар тӀехь яздина ма-дарра, дазде аша шайн Везачу Далла лерина долу „Пасахьан“ деза де».</verse>
				<verse number="22">Исраилан халкъана тӀехь мехкан куьйгалхоша олалла дечу хенахь дуьйна, исраилхойн а, яхӀудхойн а паччахьийн деношна тӀекхаччалц цкъа а цу тайпана даздина дацара «Пасахьан» деза де.</verse>
				<verse number="23">Юши-ЯхӀус паччахьалла деш долу берхӀитталгӀа шо долуш Везачу Элана лерина долу и «Пасахьан» деза де Ярушалайм-гӀалахь даздира.</verse>
				<verse number="24">Юши-ЯхӀу-паччахьо хӀаллакбира ЯхӀуд-махкахь а, Ярушалаймехь а беллачийн синош тӀедоьхуш берш а, жинашца тайнарш а, цӀахь болу цӀуш а, кхиболу цӀуш а, массо а кхидолу дегаза хӀуманаш а. Юши-ЯхӀу-паччахьо дира и дерриге а, Везачу Элан цӀа чохь динан да волчу Хьалкхи-ЯхӀуна карийначу товрат-хьехамийн тептар тӀера тӀедехкинарш кхочушдархьама.</verse>
				<verse number="25">Юши-ЯхӀу-паччахьал хьалха я цул тӀаьхьа ца ваьллера и санна шен доллучу даггара, доллучу синца, боллучу ницкъаца Везачу Элана тӀевирзина верг, массо а хӀуманна тӀехь Муса-пайхамаран хьехамаш кхочушбеш верг.</verse>
				<verse number="26">Амма Маннаш-паччахьо мел дина дегаза хӀуманаш бахьана долуш, Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахийтинера. ХӀинца а ЯхӀудан халкъана оьгӀазваханчуьра юха ца вирзира Веза Эла.</verse>
				<verse number="27">Везачу Эло элира: «Ас ЯхӀудан халкъ юхатоттур ду Сайна дуьхьалара, Айса юхатеттина Исраилан халкъ санна. Иштта Айса къастийна йолу Ярушалайм а, хӀара Сан цӀа а, Ас шех лаьцна: „Сан цӀе хир ю цу чохь“ — аьлла долу, дӀатоттур ду Ас Сайна хьалхара».</verse>
				<verse number="28">Юши-ЯхӀун кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цо мел динчух лаьцна — яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь.</verse>
				<verse number="29">Юши-ЯхӀус паччахьалла дечу хенахь Мисар-мехкан паччахь волу Наху-пирӀун Эпрат-хин йисте вахана хилла, Ашур-мехкан паччахьна гӀо дархьама. Юши-ЯхӀу-паччахь пирӀунна дуьхьал тӀом бан аравелла хилла. Ткъа пирӀуно, МагӀидда-гӀалахь шена Юши-ЯхӀу гича, иза вийна.</verse>
				<verse number="30">ТӀаккха Юши-ЯхӀун ялхоша цуьнан дакъа, Ярушалайм-гӀала а деана, шен къубба чохь дӀадоьллира. ЯхӀуд-мехкан халкъо Юши-ЯхӀун кӀант ЯхӀу-Ахьаз, къобал а вина, шен ден метта паччахь вина дӀахӀоттийра.</verse>
				<verse number="31">ЯхӀу-Ахьазан ткъе кхо шо дара, иза паччахь хилла дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо кхаа баттахь паччахьалла дира. ЯхӀу-Ахьазан ненан цӀе Хьамутал яра. Иза Либна-махкара йолу Ярми-ЯхӀун йоӀ яра.</verse>
				<verse number="32">ЯхӀу-Ахьаз паччахьо а, шен дайша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора.</verse>
				<verse number="33">Наху-пирӀуно, Ярушалаймехь ЯхӀу-Ахьазе паччахьалла ца дайта, иза Хьамат-махкарчу Рабила-гӀалахь набахти чу воьллира. Наху-пирӀуно гӀуда такхар тӀедожийра ЯхӀуд-махкана. Шена ши бӀе пунт дети а, ши пунт деши а даьккхира пирӀуно яхӀудхошкара.</verse>
				<verse number="34">ТӀаккха Наху-пирӀуно Юши-ЯхӀу-паччахьан Элъякъим цӀе йолу кхин кӀант хӀоттийра, шен ден метта паччахь вина. Наху-пирӀуно Элъякъиман цӀе хийцира, цунах ЯхӀу-Якхам аьлла. Ткъа ЯхӀу-Ахьаз пирӀуно Мисар-махка дӀавигира, иза цигахь дӀа а кхелхира.</verse>
				<verse number="35">ЯхӀу-Якхам-паччахьо дети а, деши а лора пирӀунна. И хӀума кхочушдархьама, цо хӀора а стагера, цуьнан долахь долчу лаьттан мехе хьаьжжина, деши а, дети а доккхура.</verse>
				<verse number="36">ЯхӀу-Якхаман ткъе пхи шо дара, иза паччахь дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо цхьайтта шарахь паччахьалла дира. ЯхӀу-Якхаман ненан цӀе Забудат яра. Иза Рума-гӀаларчу Пади-ЯхӀун йоӀ яра.</verse>
				<verse number="37">ЯхӀу-Якхам-паччахьо а, шен дайша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="24">
				<verse number="1">ЯхӀу-Якхама паччахьалла дечу хенахь, Бавел-мехкан паччахь волу Набухди-Нецар ЯхӀуд-махкана тӀегӀоьртира. Кхаа шарахь Ӏийра ЯхӀу-Якхам-паччахь Набухди-Нецаран олаллина кӀел. ТӀаккха ЯхӀу-Якхам-паччахь Набухди-Нецарна дуьхьалвелира.</verse>
				<verse number="2">Везачу Эло ЯхӀу-Якхам-паччахьна дуьхьалбехира хашадхойн а, арамхойн а, муабахойн а, Ӏамминхойн а тӀемалой, цаьрга ЯхӀуд-мохк хӀаллакбайтархьама, Шен ялхой болчу пайхамаршкахула Ша ма-аллара.</verse>
				<verse number="3">Везачу Элан лаамца хилира и дерриге а ЯхӀудан халкъаца, иза Шена дуьхьалара юхататтархьама. Везачу Эло иза дира Маннаш-паччахьо дукха къинош леторна а, цо сийсаза долу гӀуллакхаш дарна а,</verse>
				<verse number="4">иштта цо бехк боцу дукха адам хӀаллакдарна а. Маннаш-паччахьо Ярушалайм-гӀала цу нехан цӀийх юзар бахьана долуш, цунна гечдан ца лиира Везачу Элана.</verse>
				<verse number="5">ЯхӀу-Якхаман кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цо мел динчух лаьцна — яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь.</verse>
				<verse number="6">ТӀаккха ЯхӀу-Якхам, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Ткъа цуьнан кӀант ЯхӀу-Яхин керла паччахь хилла дӀахӀоьттира шен ден метта.</verse>
				<verse number="7">Мисар-мехкан паччахь шен махка чуьра тӀом бан кхин ара ца велира, хӀунда аьлча Мисар-мехкан дозанехь долчу хина тӀера Эпрат-хина тӀе кхаччалц долу латтанаш дӀалецира Бавел-мехкан паччахьо Набухди-Нецара.</verse>
				<verse number="8">ЯхӀу-Яхинан берхӀитта шо кхаьчнера, иза паччахь дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо кхаа баттахь олалла дира. ЯхӀу-Яхинан ненан цӀе Нахьушат яра. Иза Ярушалаймерчу Эли-Натин йоӀ яра.</verse>
				<verse number="9">ЯхӀу-Яхин-паччахьо а, шен дайша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора.</verse>
				<verse number="10">Цу хенахь Бавел-мехкан паччахьан Набухди-Нецаран тӀеман хьаькамаша, Ярушалайм-гӀалина тӀе а гӀоьртина, цунна го бира.</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха Бавел-мехкан паччахь волу Набухди-Нецар гӀалина тӀевеара, шен тӀеман хьаькамаша гӀалина го бинчу хенахь.</verse>
				<verse number="12">ЯхӀудхойн паччахь волу ЯхӀу-Яхин а, цуьнан нана а, цуьнан ялхой а, цуьнан тӀеман хьаькамаш а, цуьнан кертара хьаькамаш а шаьш Набухди-Нецаран кара бахара. Иштта, Бавел-махкарчу Набухди-Нецар-паччахьо олалла ден борхӀалгӀа шо долуш, цо ЯхӀу-Яхина йийсар дира.</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха Набухди-Нецар-паччахьо Ярушалаймехь долчу Везачу Элан цӀийнан хазни чохь мел йолу хӀума а, паччахьан кертара мехала мел йолу хӀума а дӀаяьхьира. Везачу Эло аьлла ма-хиллара, хьалха исраилхойн паччахь хиллачу Сулима Везачу Элан цӀенна лерина яйтина хилла йолу массо а дашо хӀуманаш дӀаяьхьира Бавел-мехкан паччахьо.</verse>
				<verse number="14">Цул тӀаьхьа массо ярушалаймхой арабехира цо, массо элий а, берриг доьналла долу эскархой а дӀабигира. Иштта, йийсаре дӀадигна долу дерриг адам итт эзар дара. Царна юкъахь бара дечиган а, эчиган а говза пхьераш. ЯхӀуд-махкахь, уггаре а миска нах боцурш, цхьа а ца висира.</verse>
				<verse number="15">Цу тайпана, ЯхӀу-Яхин-паччахь, цуьнан нана, цуьнан зударий, паччахьан кертахь гӀуллакх деш хилларш, лаккхарчу даржашкахь хилла нах — уьш берриш а Ярушалайм-гӀалара Бавел-махка кхалхийра Бавел-мехкан паччахьо.</verse>
				<verse number="16">Бавел-мехкан паччахьо Бавел-махка йийсаре дӀадигира шена чохь ворхӀ эзар тӀемало волу дерриг эскар а, цхьа эзар говза пхьар а, аьчка-пхьар а. Цу дӀабигначарна юкъахь уггар а доьналла долу тӀемалой бара.</verse>
				<verse number="17">Бавел-мехкан паччахьо Ярушалайм-гӀалахь керла паччахь дӀахӀоттийра. Иза вара ЯхӀу-Яхинан ден ваша волу Матан-ЯхӀу. Матан-ЯхӀун цӀе а хийцина, ЦӀадукъ-ЯхӀу аьлла, цӀе тиллира цунна Бавел-мехкан паччахьо.</verse>
				<verse number="18">ЦӀадукъ-ЯхӀун ткъе цхьа шо дара, иза паччахь хилла дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цхьайтта шарахь паччахьалла дира цо. ЦӀадукъ-ЯхӀун ненан цӀе Хьамутал яра. Иза Либна-гӀалара Ярми-ЯхӀун йоӀ яра.</verse>
				<verse number="19">ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахьо а, шен да ЯхӀу-Якхама санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора.</verse>
				<verse number="20">Ярушалайм-гӀалин а, ЯхӀуд-мехкан а бахархой Шена уллора дӀататтал чӀогӀа оьгӀазваханера Веза Эла. Иштта ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахь Бавел-мехкан паччахьна дуьхьалвелира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="25">
				<verse number="1">ЦӀадукъ-ЯхӀус паччахьалла до уьссалгӀа шо долуш, шеран уьтталгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь, Бавел-мехкан паччахь Набухди-Нецар, шен дерриг эскар а эцна, Ярушалаймана тӀамца тӀевахара. ГӀалина уллохь меттамотт дӀа а хӀоттийна, ерриг а гӀалина гонах гунаш дира цо, иза схьаяккха кечам бархьама.</verse>
				<verse number="2">ЦӀадукъ-ЯхӀус паччахьалла до цхьайтталгӀа шо тӀекхаччалц гӀала го бина лаьттира.</verse>
				<verse number="3">Цу шеран боьалгӀачу беттан уьссалгӀа де тӀекхаьчча, дӀахӀоьттина мацалла гӀалин бахархошна даа хӀумма а ца дуьсуш чӀогӀа яра.</verse>
				<verse number="4">МостагӀчо гӀалин пенах доккха Ӏуьрг даьккхича, Ярушалаймерчу берриг а тӀемалоша дӀабовда кечам бира. Хашадхой гӀалина го бина лаьттинехь а, буьйсанна паччахьан бешана уллохь болчу шина пенна юккъехь долчу кевнехула массо а эскар гӀали чуьра араделира. Иза дедда Ӏариба-тогӀи чу дӀадахара.</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха хашадхойн эскар паччахьна тӀаьхьаделира. Ерихон-гӀалин аренашкахь уьш ЦӀадукъ-ЯхӀуна тӀаьхьакхиира. Ткъа паччахьан эскарера массо а тӀемало цунна уллора дӀасаведира.</verse>
				<verse number="6">ЦӀадукъ-ЯхӀу, схьа а лаьцна, Бавелан паччахь волчу Рабила-гӀала схьавалийра. Цигахь цунна кхел йира.</verse>
				<verse number="7">ЦӀадукъ-ЯхӀун кӀентий цунна хьалха байира. Ткъа иза, ши бӀаьрг а баьккхина, цӀестан буржалш а тоьхна, Бавеле дӀавигира.</verse>
				<verse number="8">Набухди-Нецара паччахьалла дечу ткъайоьсналгӀачу шеран пхоьалгӀачу беттан ворхӀалгӀачу дийнахь паччахьан гӀаролхойн хьаькам волу а, Бавелан паччахьан ялхо волу а Набузар-Адан Ярушалайме веара.</verse>
				<verse number="9">Цо Везачу Элан цӀа а, паччахьан цӀа а, Ярушалаймера массо а цӀа а цӀе тесна дагийра. Иштта, Ярушалаймехь долу дерриг а коьрта цӀенош дагийра.</verse>
				<verse number="10">Оцу хьаькаман куьйгаллехь долчу хашадхойн эскаро Ярушалаймана гонах долу пенаш а дохийра.</verse>
				<verse number="11">Паччахьан гӀаролхойн хьаькамо Набузар-Адана Ярушалаймехь дисина кхидолу халкъ а, говза гӀишлош йийраш а, Бавелан паччахьан агӀор бевлларш а йийсаре дӀабигира.</verse>
				<verse number="12">Оцу махкара къечу халкъана юкъара цхьадолу адамаш дитира цу хьаькамо, цаьрга кемсийн бошмашкахь а, кхашкахь а болх байтархьама.</verse>
				<verse number="13">Хашадхоша дохийна дӀадехира Везачу Элан цӀенна хьалха долу цӀестан бӀогӀамаш а, цӀийнан кертахь меттахйохуш йолу цӀестан бухахӀотторгаш а, иштта цӀестан хӀорд а. Дерриг а цӀаста цара Бавеле дӀадаьхьира.</verse>
				<verse number="14">Цара иштта дӀадаьхьира тесаш а, белаш а, тукарш а, хаза хьожа йогӀу хӀума чуюьллу кедаш а Везачу Элана лерина гӀуллакх дечу хенахь лелош хилла йолу цӀастанах йина мел йолу пхьегӀаш а.</verse>
				<verse number="15">Деших а, детих а мел йина хӀуманаш а дӀаяьхьира паччахьан гӀаролхойн хьаькамо, царна чуйогӀура богуш болу кӀора дӀасакхоьхьу нойш а, цӀий чудутту боганаш а.</verse>
				<verse number="16">Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀенна лерина бина ши бӀогӀам а, боккха яй а, меттахйохуш йолу кӀелхӀотторгаш а чӀогӀа еза яра. Оцу хӀуманашна дахана долчу цӀастанан барам буста а ца лора.</verse>
				<verse number="17">Цхьана бӀогӀаман лакхалла берхӀитта дол яра. Цу бӀогӀам тӀехь цӀестан таж дара, кхо дол лакхалла а йолуш. Цу тӀехь цӀастанах бина цаца а, наран стоьмаш а дара. Вукху бӀогӀамна тӀехь а дара иштта бина цаца а, наран стоьмаш а.</verse>
				<verse number="18">Паччахьан гӀаролхойн хьаькамо коьрта динан да волу Сари-ЯхӀу а, шолгӀа динан да волу Цапни-ЯхӀу а, Везачу Элан цӀа чу воьдийла ларъеш волу кхо гӀаролхо а йийсаре дӀавигира.</verse>
				<verse number="19">ГӀалахь хӀетталц а бисинчарах цо дӀавигира тӀемалойн хьаькам волу ваьӀна стаг а, паччахьан пхиъ хьехамча а, нах эскаре дӀаязбеш волу эскаран коьрта йозанча а, иштта гӀалахь шайна схьакарийна волу кхузткъа кхиволу стаг а.</verse>
				<verse number="20">Уьш берриш а паччахьан гӀаролхойн хьаькамо Набузар-Адана Бавелан паччахьна тӀе Рабила-гӀала дӀабигира.</verse>
				<verse number="21">Хьамат-гӀалин махкахь йолчу Рабила-гӀалахь Бавелан паччахьо, уьш байа аьлла, омра дира. Иштта яхӀудхой шайн махкара йийсаре дӀабигира.</verse>
				<verse number="22">Бавелан паччахьо Набухди-Нецара ЯхӀуд-махкахь дитинчу халкъана тӀехь куьйгалхо вина дӀахӀоттийра Шапанин кӀентан Ахьикхаман кӀант Гадал-ЯхӀу.</verse>
				<verse number="23">ТӀеман массо а хьаькамна а, церан нахана а хезира, Бавелан паччахьо Гадал-ЯхӀу мехкан куьйгалхо дӀахӀоттийна аьлла. ТӀаккха уьш МицӀпа-гӀала бахара Гадал-ЯхӀуна тӀе. Уьш бара: Натан-ЯхӀун кӀант ИсмаьӀал, Къаьрхьин кӀант Йохьан а, натӀупатхо волчу Танхьуматан кӀант Сари-ЯхӀу а, маӀхахочун кӀант Яъзан-ЯхӀу а, церан нах а.</verse>
				<verse number="24">Гадал-ЯхӀус, царна а, церан нахана а хьалха, чӀагӀо а еш, элира: «Хашадхойн баьччанех ма кхера. ХӀокху махкахь даха охьа а ховша, Бавелан паччахьна муьтӀахь а хила, тӀаккха шуна дика хир ду».</verse>
				<verse number="25">Амма шеран ворхӀалгӀачу баттахь, шеца итт стаг а валош, паччахьан цӀийнах схьаваьлла волу, Эли-ШамаӀан кӀентан Натан-ЯхӀун кӀант ИсмаьӀал веара Гадал-ЯхӀуна тӀе. Цара Гадал-ЯхӀуна чов йира, иза велира. Иштта Гадал-ЯхӀуца цхьаьна МицӀпа-гӀалахь болу яхӀудхой а, хашадхой а байира ИсмаьӀала.</verse>
				<verse number="26">Иза бахьанехь дерриг а халкъ — кӀезиг болчу нахана тӀера дуьйна, цӀеяхана болчарна тӀекхаччалц — тӀеман хьаькамашца цхьана Мисар-махка дӀадедира, шаьш хашадхойх кхерарна.</verse>
				<verse number="27">ЯхӀудхойн паччахьо ЯхӀу-Яхина Бавеларчу набахтехь ткъе вуьрхӀитта шо даьккхича, Авил-Мардуха иза набахтера аравалийтира. Иза хилира Авил-Мардух Бавелан паччахь хилла дӀахӀоьттинчу шеран шуьйтталгӀачу беттан ткъе ворхӀалгӀачу дийнахь.</verse>
				<verse number="28">Авил-Мардуха цуьнца бертахь къамел дора, ткъа Бавел-махкахь йийсарехь болчу кхиболчу паччахьийн ларамал цуьнан лекха ларам бира.</verse>
				<verse number="29">ЯхӀу-Яхинна пурба делира шена тӀера тутмакхан духар дӀадаккха. Дуьнен чохь ша мел йоккхучу йисинчу хенахь кест-кестта паччахьна уллохь яа хӀума йоура цо.</verse>
				<verse number="30">ЯхӀу-Яхин дуьнен чуьра дӀаваллалц, хӀора дийнахь Бавелан паччахьо цунна мел оьшург а латтадора.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="13">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">Адамах схьабевлла: ШатӀа, Энош,</verse>
				<verse number="2">Къаим, Махьаллал, Ярад,</verse>
				<verse number="3">ХӀанох, Матушалахь, ЛемакӀ,</verse>
				<verse number="4">Нохьа. Ткъа Нохьин кӀентий бара: Шима, Хьама, Япат.</verse>
				<verse number="5">Япатан кӀентий бара: Гомар, МагӀогӀ, Мадай, Яван, Тубал, Машах, Тирас.</verse>
				<verse number="6">Гомаран кӀентий бара: Ашкиназ, РипӀат, ТогӀарма.</verse>
				<verse number="7">Яванан кӀентий бара: Элша, Таршаш, Хитам, Роданам.</verse>
				<verse number="8">Хьамин кӀентий бара: Хуша, Мисар, ПӀатӀа, КанаӀан.</verse>
				<verse number="9">Хушин кӀентий бара: Себа, Хьавил, СабтӀа, РуӀман, Сабтехьа. РуӀманан кӀентий бара: Шеба, Даддан.</verse>
				<verse number="10">Ткъа Хушин вара Намрад цӀе йолуш кӀант, иза чӀогӀа ницкъ болуш кӀант вара.</verse>
				<verse number="11">Мисарх схьабевлла: лудамхой, Ӏанамхой, лахӀабхой, наптухьхой,</verse>
				<verse number="12">патӀрусхой, шайх пӀелаштамхой схьабевлла болу каслахӀамхой, каптӀархой.</verse>
				<verse number="13">КанаӀанан кӀентий хӀорш бара: дуьххьарлера доьзалхо волу ЦӀадан, цул тӀаьхьа хилла волу Хьета.</verse>
				<verse number="14">Иштта КанаӀанах схьабевлла: явсайхой, эмархой, гӀиргӀашахой,</verse>
				<verse number="15">хьаьвихой, Ӏаьркхахой, синахой,</verse>
				<verse number="16">арвадихой, цӀемархой, хьаматхой.</verse>
				<verse number="17">Шимин кӀентий бара: Ӏейлам, Ашур, Арпахшад, Луда, Арам. Араман кӀентий бара: ӀуцӀа, Хьула, ГӀетӀар, Машах.</verse>
				<verse number="18">Арпахшадан кӀант вара Селахь, ткъа Селахьан кӀант вара Ӏебар.</verse>
				<verse number="19">Ӏебаран ши кӀант вара: цхьана кӀентан цӀе ПалагӀ яра, хӀунда аьлча иза вехачу хенахь лаьтта тӀехь адам декъадалар а, дӀасадаржар а хилира. ПалагӀан вешин цӀе Якхтан яра.</verse>
				<verse number="20">Якхтанан кӀентий бара: Алмадад, ШалапӀ, Хьацармават, Ярахь,</verse>
				<verse number="21">ХӀайдарам, Узал, Дикхалла,</verse>
				<verse number="22">Ӏейбал, Абумаил, Шеба,</verse>
				<verse number="23">Апар, Хьавил, Ябаб. Уьш берриш а Якхтанан кӀентий бара.</verse>
				<verse number="24">Ткъа Шимин кӀентий хилла: Арпахшад, Селахь,</verse>
				<verse number="25">Ӏебар, ПалагӀ, Рахьу,</verse>
				<verse number="26">СерагӀ, Нахьир, ТӀахьир,</verse>
				<verse number="27">Ибрам, цуьнан кхин цӀе ИбрахӀим ю.</verse>
				<verse number="28">ИбрахӀиман кӀентий бара: Исхьакх а, ИсмаьӀал а.</verse>
				<verse number="29">Церан тӀаьхье иштта яра: ИсмаьӀалан дуьххьарлера кӀант вара Набуяти, цул тӀаьхьа хилира Къедар, Адбаал, Мибасам,</verse>
				<verse number="30">МишмаӀ, Дума, Маси, Хьадид, Тейма,</verse>
				<verse number="31">Етар, Напуши, Къедима. Уьш бара ИсмаьӀалан кӀентий.</verse>
				<verse number="32">ИбрахӀиман гӀарбаш-зудчо Къитурата бина кӀентий бара: Зимран, Якхешан, Медан, Мадани, Ишбакх, Шуахь. Якхешанан кӀентий бара: Шеба, Даддан.</verse>
				<verse number="33">Маданин кӀентий бара: Ӏейпа, Ӏайпар, Хьанах, АвидаӀ, ЭлдаӀа. Уьш берриш а Къитуратан кӀентий бара.</verse>
				<verse number="34">ИбрахӀиман кӀант волчу Исхьакхан кӀентий бара: Ӏесав, Исраил.</verse>
				<verse number="35">Ӏесаван кӀентий бара: Элипаз, РаӀал, ЕӀуш, ЯӀлам, Кхорахь.</verse>
				<verse number="36">Элипазан кӀентий бара: Теман, Омар, Цепа, ГаӀтам, Кхеназ. Ткъа ТамнаӀа цунна Ӏамалекх винера.</verse>
				<verse number="37">РаӀалан кӀентий бара: Нахьати, Зерахь, Шама, Миза.</verse>
				<verse number="38">СеӀиран кӀентий бара: Лутани, Шубали, ЦӀибӀон, Ӏана, Дишон, Эцар, Дишан.</verse>
				<verse number="39">Лутанин кӀентий бара: Хьори, ХӀейма. ТамнаӀ Лутанин йиша яра.</verse>
				<verse number="40">Шубалин кӀентий бара: Ӏалиян, Манахьат, Ӏейбал, Шапи, Онам. ЦӀибӀонан кӀентий бара: АяхӀу, Ӏана.</verse>
				<verse number="41">Ӏанин кӀант вара: Дишон. Дишонан кӀентий бара: Хьамран, Эшбан, Итран, Керан.</verse>
				<verse number="42">Эцаран кӀентий бара: БилхӀан, ЗаӀван, ЯӀакхан. Дишанан кӀентий бара: ӀуцӀа, Арани.</verse>
				<verse number="43">Исраилан махкахь паччахьаш хилале, Эдомехь хӀара паччахьаш хиллера: БеӀаран кӀант БулаӀ. Цуьнан гӀалин цӀе ДинхӀаба яра.</verse>
				<verse number="44">БулаӀ велча, цуьнан метта паччахь хилира Бацар-гӀаларчу Зерахьан кӀант Ябаб.</verse>
				<verse number="45">Ябаб велча, цуьнан метта паччахь хилира теманхойн махкара Хьушам.</verse>
				<verse number="46">Хьушам велча, цуьнан метта паччахь хилира Бедадан кӀант ХӀадад. Муаби-махкахь маданхошна тӀехь толам баьккхинера цо. Цуьнан гӀалин цӀе Ӏавит яра.</verse>
				<verse number="47">ХӀадад велча, цуьнан метта паччахь хилира Масрекха-гӀалара Самла.</verse>
				<verse number="48">Самла велча, цуьнан метта паччахь хилира хин йистехь йолчу Рехьабат-гӀалара Шаул.</verse>
				<verse number="49">Шаул велча, цуьнан метта паччахь хилира Ӏахбаран кӀант БаӀал-Хьанан.</verse>
				<verse number="50">БаӀал-Хьанан велча, цуьнан метта паччахь хилира ХӀадад. Цуьнан гӀалин цӀе ПаӀу яра. ХӀададан зудчун цӀе яра Ма-ХӀайтӀабал. Иза МезахӀабан йоӀан Матарадан йоӀ яра.</verse>
				<verse number="51">ХӀадад а велла. Эдом-махкахь хӀара баьччанаш а хилла: ТамнаӀ, Ӏаьлви, Етат,</verse>
				<verse number="52">АхӀлибам, Эла, Пинан,</verse>
				<verse number="53">Кхеназ, Теман, Мубацар,</verse>
				<verse number="54">Магдаал, Ӏирам. Уьш эдомхойн баьччанаш хилла.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Исраилан кӀентий бара: Раабан, ШимӀа, Леви, ЯхӀуд, Иссархан, Забул,</verse>
				<verse number="2">Дан, Юсуп, Бен-Яман, Наптал, Гада, Ашар.</verse>
				<verse number="3">ЯхӀудан кӀентий бара: Ӏаьр, Онан, Шейла. Цунна и кхо кӀант вина хилла канаӀанхо йолчу ШуӀин йоӀа. ЯхӀудан дуьххьарлера доьзалхо волу Ӏаьр Делан бӀаьргашна хьалха вон вара, цундела иза Дала валийтира.</verse>
				<verse number="4">ЯхӀудан несо Тамарас ЯхӀудана ши кӀант винера: Парас, Зерахь. Верриг а пхи кӀант вара ЯхӀудан.</verse>
				<verse number="5">Парасан кӀентий бара: Хьацрани, Хьамал.</verse>
				<verse number="6">Зерахьан кӀентий бара: Зимари, Этан, ХӀайман, Калкал, ДарӀа. Уьш верриг пхи кӀант вара.</verse>
				<verse number="7">Далла лерина йохо дӀакъастийна хӀуманаш схьа а эцна, Исраилан халкъана бала тӀебаийтина волу Ахари хилла Кармин кӀант.</verse>
				<verse number="8">Этанан кӀант вара Ӏазар-ЯхӀу.</verse>
				<verse number="9">Хьацранина бина кӀентий бара: Ярахьмиал, Рам, Килаб.</verse>
				<verse number="10">Рамин хилира кӀант Ӏамминадаб. Ӏамминадабан хилира кӀант Нахьшон, ЯхӀудан тайпанан баьчча хилла волу.</verse>
				<verse number="11">Нахьшонан хилира кӀант Салма. Салмин хилира кӀант БоӀаз.</verse>
				<verse number="12">БоӀазан кӀант хилира Ӏабади. Ӏабадин кӀант хилира Юшай.</verse>
				<verse number="13">Юшайн хилира кӀентий: дуьххьарлерниг Элиаб, шолгӀаниг Абинадаб, кхозлагӀниг ШимӀа,</verse>
				<verse number="14">воьалгӀаниг Натунаил, пхоьалгӀаниг Радай,</verse>
				<verse number="15">йолхалгӀаниг Оцам, ворхӀалгӀаниг Дауд.</verse>
				<verse number="16">Церан йижарий бара: Царуят, АбигӀал. Царуятан кхо кӀант хилира: Абушай, Йоаб, ӀасахӀал.</verse>
				<verse number="17">АбигӀала вира кӀант Ӏамасаъ. Ӏамасаан да вара исмаьӀалхо волу ИтӀар.</verse>
				<verse number="18">Хьацранин кӀентан Килабан зудчо Ӏазубата йира йоӀ Яриат. Цо бина кӀентий бара: Ешар, Шубаб, Ардун.</verse>
				<verse number="19">Ӏазубат елча, Килаба шена Эпрати ялийра. Цо вира кӀант Хьор.</verse>
				<verse number="20">Хьоран кӀант хилира Ури. Урин кӀант хилира Бацалиал.</verse>
				<verse number="21">ТӀаккха Хьацранис, шен кхузткъа шо долуш, ГалӀадан да волчу Макиран йоӀ ялийра шена. Цо Хьацранина вира кӀант Чагуб.</verse>
				<verse number="22">Чагубан кӀант хилира Яир. ГалӀад-махкахь ткъе кхоъ гӀала яра цуьнан долахь.</verse>
				<verse number="23">Амма гешурхоша а, арамхоша а Яиран махкара эвлаш а, Кхинат-гӀала а, цуьнца йоьзна хилла йолу кхузткъа юрт а цаьргара схьаяьккхира. Цигахь Ӏаш болу берриш а ГалӀадан дех Макирах схьабевллера.</verse>
				<verse number="24">Килаб-Эпратин махкахь Хьацрани веллачул тӀаьхьа Хьацранин зудчо Аби-ЯхӀус вира кӀант Ашихьур. Цо ТакхоӀ-гӀала дӀахӀоттийра.</verse>
				<verse number="25">Хьацранин дуьххьарлера доьзалхо волчу Ярахьмиалан кӀентий бара: хьалхарниг Рам, цул тӀаьхьа Буна, Оран, Оцам, АхьъяхӀу.</verse>
				<verse number="26">Ярахьмиалан кхин а зуда яра. Цуьнан цӀе Ӏатрат яра. Иза Онаман нана яра.</verse>
				<verse number="27">Ярахьмиалан дуьххьарлера доьзалхо волчу Рамин кӀентий бара: МаӀац, Ямин, Ӏекхар.</verse>
				<verse number="28">Онаман кӀентий бара: Шамай, ЯдаӀ. Шамайн кӀентий бара: Надаб, Абишур.</verse>
				<verse number="29">Абишуран зудчун цӀе яра Абу-ХӀаил. Цо Абишурана бина кӀентий бара: Ахьбан, Мовлид.</verse>
				<verse number="30">Надабан кӀентий бара: Селад, Апайм. Селад, цхьа а бер доцуш, велла.</verse>
				<verse number="31">Апайман кӀант хилира Ишхьи. Ишхьин кӀант хилира Шишан. Шишанан — Ахьлай.</verse>
				<verse number="32">Шамайн вешин ЯдаӀан кӀентий бара: ИтӀар, ЯхӀуната. ИтӀар, цхьа а бер доцуш, велла.</verse>
				<verse number="33">ЯхӀунатин кӀентий бара: ПелатӀа, Заза. Иштта яра Ярахьмиалан тӀаьхье.</verse>
				<verse number="34">Шишанан, йоӀарий бен, кӀентий ца хилира. Цуьнан, ЯрхьаӀ цӀе а йолуш, мисархо волу лай вара.</verse>
				<verse number="35">Шишана шен йоӀ оцу ЯрхьаӀе маре яхийтира, ткъа цо вира кӀант Атай.</verse>
				<verse number="36">Атайн хилира кӀант Ната, ткъа Натин хилира кӀант Забад.</verse>
				<verse number="37">Забадан хилира кӀант: Эплал. Эплалан хилира кӀант Ӏабади.</verse>
				<verse number="38">Ӏабадин хилира кӀант ЯхӀу, ткъа ЯхӀун хилира кӀант Ӏазар-ЯхӀу.</verse>
				<verse number="39">Ӏазар-ЯхӀун хилира кӀант Хьелац. Хьелацан хилира кӀант ЭлиӀаса.</verse>
				<verse number="40">ЭлиӀасан хилира кӀант Сисмай. Сисмайн хилира кӀант Шалум.</verse>
				<verse number="41">Шалуман хилира кӀант Якхам-ЯхӀу. Якхам-ЯхӀун хилира кӀант Эли-ШамаӀ.</verse>
				<verse number="42">Ярахьмиалан вешин Килабан масех кӀант хилира. Цуьнан дуьххьарлера доьзалхо хилира МешаӀ. Иза Зипан да хилира. Килабан кхин а цхьа кӀант Мареша хилира, иза Хьевронан да хилира.</verse>
				<verse number="43">Хьевронан хӀара кӀентий хилира: Кхорахь а, Тапухьа а, Рекхам а, ШемаӀ а.</verse>
				<verse number="44">ШемаӀан хилира кӀант Рахьам, иза ЙоркхиӀаман да хилира. Ткъа Рекхаман хилира кӀант Шамай.</verse>
				<verse number="45">Шамайн хилира кӀант МаӀун, ткъа МаӀун Байт-Цуран да хилла.</verse>
				<verse number="46">Килабан гӀарбаш-зудчун цӀе Ӏейпа яра. Иза ХӀаранан а, Муцин а, Газизан а нана яра. Ткъа ХӀаранан хилира кӀант Газиз.</verse>
				<verse number="47">ЯхӀдайн кӀентий бара: РегӀам, Йовтам, Гишан, Пелат, Ӏейпа, ШаӀапа.</verse>
				<verse number="48">Килабан кхин гӀарбаш-зуда а яра. Цуьнан цӀе МаӀха яра. МаӀха яра Шебаран а, Тирхьанан а нана.</verse>
				<verse number="49">Иштта ШаӀапан а, Шивин а нана а яра иза. ШаӀапа Мадманан да вара. Шива вара Махбенан а, ГибаӀан а да. Килабан йоӀ Ӏахисат яра.</verse>
				<verse number="50">Килабан тӀаьхьенан цӀераш хӀорш яра: Хьор вара Эпратин дуьххьарлера кӀант. Хьоран кӀентий хилира: Кхиръят-ЯӀарим-гӀала дӀахӀоттийна волу Шубали,</verse>
				<verse number="51">Байтлахам-гӀала дӀахӀоттийна волу Салма, Байт-Гадер-гӀала дӀахӀоттийна волу Хьарпа.</verse>
				<verse number="52">Кхиръят-ЯӀарим-гӀала дӀахӀоттийначу Шубалих схьабевлира хӀаруахой а, манухьутхойн ахтукхам а.</verse>
				<verse number="53">Кхиръят-ЯӀаримера тукхамаш хӀорш дара: итархой, путахой, шуматхой, мишраӀхой. Царах схьабевлира цорӀахой а, эштаулхой а.</verse>
				<verse number="54">Салмин тӀаьхьенах схьабевлира: байтлахамхой, натӀупатхой, Ӏатрут-Байт-Йоабан бахархой, манахьтихойн ахтукхам, цорӀахой,</verse>
				<verse number="55">иштта ЯӀабац-гӀалахь бехаш болу тептарш яздеш болчийн тукхамаш: тирӀатхой, шимӀатхой, сухахой. И тептарш яздинарш хилла Хьаматан тӀаьхьенах болу кхенахой. Хьамат вара рахбихойн тукхаман да.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">Хьеврон-гӀалахь Даудана динчу берийн цӀераш хӀорш ю: Даудан дуьххьарлера кӀант Амнан израӀалхо йолчу АхьнуӀмата вина вара. ШолгӀа кӀант Даниал кармалхо йолчу АбигӀала вина вара.</verse>
				<verse number="2">КхоалгӀа кӀант Абушалам Гешурахь паччахь волчу Талмайн йоӀа МаӀхас вина вара. ВоьалгӀа кӀант Адан-ЯхӀу Хьагата вина вара.</verse>
				<verse number="3">Даудан пхоьалгӀа кӀант Шапат-ЯхӀу Абиталис вина вара. ЙолхалгӀа кӀант ИтраӀам ӀагӀлата вина вара. Иза, вуьш санна, Даудан зуда яра.</verse>
				<verse number="4">Даудан и ялхе а кӀант Хьевронехь вина вара. Цигахь Дауда ворхӀ шарахь а, ялх баттахь а паччахьалла дира. Ярушалаймехь Дауда ткъе кхойтта шарахь паччахьалла дира.</verse>
				<verse number="5">Даудан Ярушалаймехь хилла долу бераш хӀорш ду: Ӏамиалан йоӀа Бат-ШабаӀа диъ бер дира: ШимӀа, Шубаб, Ната, Сулим.</verse>
				<verse number="6">Кхин а исс кӀант хилира Даудан: Ибхьар, Эли-ШуӀа, Эли-Пулат,</verse>
				<verse number="7">НугӀахӀи, Непаг, ЯпияӀ,</verse>
				<verse number="8">Эли-ШамаӀ, ЭлидаӀ, Эли-Пулат.</verse>
				<verse number="9">Уьш берриш а Даудан кӀентий бара. ГӀарбаш-зударша бина кхин а кӀентий бара Даудан. Тамара церан массеран а йиша яра.</verse>
				<verse number="10">Сулиман кӀант хилира РахьбуӀам. РахьбуӀаман кӀант хилира Аби-ЯхӀу. Цуьнан кӀант хилира Аса. Ткъа Асин кӀант ЯхӀушапти.</verse>
				<verse number="11">ЯхӀушаптин кӀант хилира ЯхӀурам. ЯхӀураман хилира кӀант Ахьаз-ЯхӀу. Ахьаз-ЯхӀун хилира кӀант Юаш.</verse>
				<verse number="12">Юашан кӀант хилира Амци-ЯхӀу. Ӏазар-ЯхӀу Амци-ЯхӀун кӀант хилира. Ӏазар-ЯхӀун кӀант хилира Йовтам.</verse>
				<verse number="13">Йовтаман кӀант хилира Ахьаз. Хьузакх-ЯхӀу хилира Ахьазан кӀант. Хьузакх-ЯхӀун кӀант Маннаш хилира.</verse>
				<verse number="14">Маннашан кӀант Амин хилира. Аминан кӀант Юши-ЯхӀу хилира.</verse>
				<verse number="15">Юши-ЯхӀун кӀентий хӀорш бара: дуьххьарлера кӀант — Йохьан, шолгӀаниг — ЯхӀу-Якхам, кхозлагӀниг — ЦӀадукъ-ЯхӀу, ткъа воьалгӀаниг — Шалум.</verse>
				<verse number="16">ЯхӀу-Якхаман кӀентий бара: ЯхӀу-Яхин, ЦӀадукъ-ЯхӀу.</verse>
				<verse number="17">Йийсаре дӀавигина хиллачу ЯхӀу-Яхинан кӀентий бара: Шалтаал,</verse>
				<verse number="18">Малкирам, Пади-ЯхӀу, Шаниацар, Якхам-ЯхӀу, ХӀушмаӀ, Надиб-ЯхӀу.</verse>
				<verse number="19">Пади-ЯхӀун кӀентий бара: Зурбабел, ШамаӀи. Зурбабелан кӀентий бара: Машулим, Хьанан-ЯхӀу. Шаламат церан йиша хилла.</verse>
				<verse number="20">Зурбабелан кхин а пхи кӀант хилира. Церан цӀераш яра: Хьашба, ОхӀал, Берех-ЯхӀу, Хьасди-ЯхӀу, Юшаб-Хьесад.</verse>
				<verse number="21">Хьанан-ЯхӀун кӀентий бара: Палти-ЯхӀу, ЯшаӀ-ЯхӀу. Рапи-ЯхӀу вара ЯшаӀ-ЯхӀун кӀант. Рапи-ЯхӀун кӀант вара Арнан. Арнанан кӀант вара Ӏабди-ЯхӀу. Шахан-ЯхӀу Ӏабди-ЯхӀун кӀант вара.</verse>
				<verse number="22">Шахан-ЯхӀун кӀант вара ШамӀа-ЯхӀу. Ткъа ШамӀа-ЯхӀун кӀентий бара: Хьатуш, ИгӀал, Баръяхьи, НаӀар-ЯхӀу, Шапти. Уьш ялхе а цуьнан кӀентий а, кӀентан кӀентий а бара.</verse>
				<verse number="23">НаӀар-ЯхӀун хилира кӀентий: ЭлъюӀинай, Хьузакх-ЯхӀу, Ӏазрикхам. Уьш верриг а кхо кӀант хилла.</verse>
				<verse number="24">ЭлъюӀинайн кӀентий хилира: ХӀудав-ЯхӀу, Элишуб, Пали-ЯхӀу, Ӏакхуби, Йохьан, Дали-ЯхӀу, Ӏанани. Уьш верриг а ворхӀ кӀант вара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">ЯхӀудан хилира хӀара кӀентий: Парас, Хьацрани, Карма, Хьор, Шубали.</verse>
				<verse number="2">Шубалин кӀант хилира Раи-ЯхӀу. Иза Яхьатан да хилира. Яхьатан кӀентий хилира: Ахьумай а, ЛахӀда а. Ахьумайн а, ЛахӀдин а тӀаьхьенех цорӀахойн тукхамаш схьадевлира.</verse>
				<verse number="3">3-4 Эпратин дуьххьарлера доьзалхо волчу а, Байтлахам-гӀала дӀахӀоттийна волчу а Хьоран кӀентий хӀорш бара: ӀайтӀам, Пенуал, Ӏезар. ӀайтӀаман кӀентий хӀорш бара: ИзраӀал, Ишма, Идбаш. Церан йишин цӀе ХӀацилалпуни яра. Пенуал Гадур-гӀала дӀахӀоттийнарг вара. Ӏезар Хьушат-гӀала дӀахӀоттийнарг вара.</verse>
				<verse number="4">***</verse>
				<verse number="5">Ашихьур ТакхоӀ-гӀала дӀахӀоттийнарг вара. Ашихьуран ши зуда хилла: Хьалиа, НаӀран.</verse>
				<verse number="6">НаӀрана бина кӀентий хӀорш бара: Ахьузам, Хьепар, Тимани, Ахьаштарай. Уьш НаӀранан кӀентий бара.</verse>
				<verse number="7">Хьалиан хӀара кӀентий хилира: Царати, ЦӀохьар, Этнани,</verse>
				<verse number="8">Къоца. Къоцин хилира кӀентий: Ӏануб, Цубиба. Къоцин тӀаьхьенах схьадевлира ХӀаруман кӀант волчу Ахьархьилан тукхамаш.</verse>
				<verse number="9">Ткъа ЯӀабац шен вежарел лоруш стаг вара. Цуьнан нанас: «Аса чӀогӀачу лазаршца дуьнен чу ваьккхина хӀара», — аьлла, ЯӀабац цӀе тиллина хилла цунна.</verse>
				<verse number="10">ЯӀабаца, исраилхойн Деле доӀа а деш, дийхира: «Ахьа со декъал а вахьара, сан латта шор а дахьара, со зуламех лар а веш, Хьо суна уллохь а хилахьара, со лазарш доцуш хилийтархьама!» — аьлла. ТӀаккха цо деххнарг делира цунна Дала.</verse>
				<verse number="11">Ткъа Халуб Шухьин ваша вара. Халубан кӀант вара Махьир. Ткъа Махьир Эштунан да вара.</verse>
				<verse number="12">Эштунан кӀентий бара: Байт-Рапа, Писухьа, Тахьина. Тахьинас Нахьаш-гӀала дӀахӀоттийра. Уьш Реха-гӀалин бахархой бара.</verse>
				<verse number="13">Кхеназан кӀентий хӀорш бара: Ӏотниал, Сари-ЯхӀу. Ӏотниалан кӀентий хӀорш бара: Хьатати, МаӀунутай.</verse>
				<verse number="14">МаӀунутай Ӏапрун да вара. Сари-ЯхӀу Йоабан да вара. Йоаб Пхьерийн тогӀи дӀахӀоттийнарг вара. Шаьш пхьераш болу дела тиллина хиллера цара и цӀе.</verse>
				<verse number="15">Епунин кӀант волчу Килабан кӀентий хӀорш бара: Ӏиру, Эли, НаӀам. Элан кӀант вара Кхеназ.</verse>
				<verse number="16">ЯхӀалал-Элан кӀентий хӀорш бара: Зип, Зипа, Тиръя, Асариал.</verse>
				<verse number="17">17-18 Ӏезаран кӀентий хилла: ИтӀар, Мерад, Ӏайпар, Ялун. Ткъа Мерада пирӀунан йоӀ йолу Бит-ЯхӀу шена ялийра. Цо Мерадана дина бераш хӀорш дара: Марем, Шамай, Ишбахь. Ишбахьа ЭштамуӀа-гӀала дӀахӀоттийра. ЯхӀудхо йолчу Мерадан зудчо дина бераш хӀорш дара: Ярад, Хьебар, Якхутиал. Ярада Гадур-гӀала дӀахӀоттийра, Хьебара — Соха-гӀала, Якхутиала — Занухь-гӀала.</verse>
				<verse number="18">***</verse>
				<verse number="19">Нахьаман йиша йолчу ХӀуди-ЯхӀун зудчун кӀентий хӀорш бара: гармихо волчу КъаӀилан да а, маӀхахо волу ЭштамуӀ а.</verse>
				<verse number="20">ШимӀунан хӀара кӀентий хилира: Амнан, Рина, Бен-Хьанани, Тилун. Ишхьин хӀара кӀентий хилира: Зухьати, Бен-Зухьати.</verse>
				<verse number="21">ЯхӀудан кӀант волчу Шейлин кӀентий хӀорш бара: Лека-гӀала дӀахӀоттийна волу Ӏаьр, Мареша-гӀала дӀахӀоттийна волу ЛаӀда, Байт-АшбаӀ-гӀалара ветанан кӀади деш хилла долу тукхамаш,</verse>
				<verse number="22">иштта цуьнан тӀаьхьенах бара хӀорш: Йокхам а, Хузба-гӀалара бахархой а, кхин а Юаш а, Сарап а. Цушиммо Муаби-махкахь а, Яшуби-Лехьамахь а олалла дора. (Царах лаьцна яздина хилларг ширачу тептарш тӀера ду.)</verse>
				<verse number="23">Шейлин кӀенташа кхийра пхьегӀаш йора. Уьш НатиӀам-гӀалахь а, Гадира-гӀалахь а Ӏаш бара, паччахьна гӀуллакх а деш.</verse>
				<verse number="24">ШимӀин хӀара кӀентий хилира: Намуал, Ямин, Ярби, Зерахь, Шаул.</verse>
				<verse number="25">Шаулан хилира кӀант Шалум. Шалуман хилира кӀант Мибасам. Мибасаман хилира кӀант МишмаӀ.</verse>
				<verse number="26">МишмаӀан тӀаьхье иштта яра: цуьнан хилира кӀант Хьамуал. Закхур хилира Хьамуалан кӀант. Закхуран кӀант хилира ШамаӀи.</verse>
				<verse number="27">ШамаӀин ялхитта кӀант а, ялх йоӀ а хилира. Ткъа ШамаӀин вежарийн бераш дукха ца хилира. ЯхӀудан тайпа санна доккха ца хилла ШамаӀин тӀаьхьенан долу дерриг а тукхам.</verse>
				<verse number="28">Уьш бехаш бара Беар-ШабаӀ а, Мулада а, Хьацар-ШуӀал а гӀаланашкахь.</verse>
				<verse number="29">Иштта Балхьат а, Ӏацам а, Тулад а,</verse>
				<verse number="30">Бетаал а, Хьорма а, ЦакхелагӀ а,</verse>
				<verse number="31">Байт-Маркабут а, Хьацар-Сусам а, Байт-Бари а, ШаӀрайм а гӀаланашкахь а бехира уьш. И гӀаланаш церан долахь хилла Дауда паччахьалла даллалц.</verse>
				<verse number="32">Церан пхи гӀала хилла шайн ярташца: ӀайтӀам, Ӏейн, Римун, Тухан, Ӏашун.</verse>
				<verse number="33">Иштта оцу гӀаланашна гонах хилла йолу ярташ а БаӀалт-гӀалина тӀекхаччалц церан долахь яра. Иштта яра уьш баха охьахевшина меттигаш а, церан схьабовлар а цу тайпана дара.</verse>
				<verse number="34">Машубаб, Ямлекха, Амци-ЯхӀун кӀант Юша,</verse>
				<verse number="35">Юал, Ӏасиалан кӀентан Сари-ЯхӀун кӀант Йошби-ЯхӀун кӀант ЯхӀу,</verse>
				<verse number="36">ЭлъюӀинай, ЯӀакхуба, Яшухь-ЯхӀу, Ӏаси-ЯхӀу, Ӏадиал, Яшмиал, БенъяхӀу,</verse>
				<verse number="37">ШамӀа-ЯхӀун кӀентан Шимрин кӀант волчу а, Яди-ЯхӀун кӀентан Ӏалунан кӀант волчу ШипаӀан кӀант волу Зиза а —</verse>
				<verse number="38">уьш шайн тукхамийн баьччанаш бара. Церан тӀаьхье чӀогӀа дебнера.</verse>
				<verse number="39">Шайн хьайбанашна дежийла лоьхуш, Гадур-махкана а, цунна малхбалехьа йолчу тогӀина а тӀекхаччалц дӀабаханера уьш.</verse>
				<verse number="40">Шаьш баханчохь царна токх йолу а, дика а дежийла карийна. Иштта боккха а, тийна а, шайна кхерам боцу а мохк карийна хилла царна. Уьш цига кхачале, цигахь кӀеззиг болу хьамахой бен бехаш ца хиллера.</verse>
				<verse number="41">ЯхӀудхойн паччахь волчу Хьузакх-ЯхӀун заманахь, и цӀераш хилларш, схьа а баьхкина, хьамахойн четаршна а, цигахь бехаш болчу маӀунхошна а тӀелеттера. Цара уьш берриш а хӀаллакбина. Таханлерчу денна тӀекхаччалц а иза иштта ду. Церан метта уьш цигахь баха охьахевшина, хӀунда аьлча жа дажо меттигаш хилла царна цигахь.</verse>
				<verse number="42">Ткъа царна юкъара ШимӀин тӀаьхьенах хилла волу пхи бӀе стаг СеӀир-лаьмнашка ваханера. Церан коьртехь хилла Палти-ЯхӀу, НаӀар-ЯхӀу, Рапи-ЯхӀу, Ӏузиал. Уьш Ишхьин тӀаьхьенах хилла.</verse>
				<verse number="43">Цигахь дийна бисина болу Ӏамалекхахой байа а байина, баха охьахевшина уьш. Таханлерчу денна тӀекхаччалц уьш цигахь бехаш бу.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">Исраилан дуьххьарлера доьзалхо волчу Раабанан кӀентий хӀорш бара. (Иза дуьххьарлера доьзалхо вара, амма цо шен да дӀавуьжу мотт сийсазбаьккхина дела, дуьххьарлера доьзалхочун бакъонаш Исраилан кӀант волчу Юсупан кӀенташна дӀаеллера. Иза бахьанехь Раабанан цӀе дуьххьарлерчу доьзалхочун санна дӀаязйина яц.</verse>
				<verse number="2">ЯхӀуд шен вежарел нуьцкъала хиллехь а, цуьнан тайпанара халкъан куьйгалхо схьаваьллехь а, дуьххьарлерчу доьзалхочун бакъонаш Юсупан долахь хиллера.)</verse>
				<verse number="3">Исраилан дуьххьарлера доьзалхо волчу Раабанан кӀентий хӀорш бара: Хьанах, Палу, Хьацрани, Карма.</verse>
				<verse number="4">Юалан тӀаьхье иштта яра: Юалан кӀант хилира ШамӀа-ЯхӀу, ШамӀа-ЯхӀун кӀант хилира ГӀогӀ, ГӀогӀан кӀант — ШамаӀи,</verse>
				<verse number="5">ШамаӀин кӀант — Мика, Микин кӀант — Раи-ЯхӀу, Раи-ЯхӀун кӀант — БаӀал,</verse>
				<verse number="6">БаӀалан кӀант — Баира. Иза вара Ашурхойн паччахь волчу ТилгӀат-Пилнасара йийсаре вигнарг. Баира раабанхойн баьчча вара.</verse>
				<verse number="7">Ткъа Баиран вежарий, церан тукхамашка а, церан схьабовларе а хьаьжжина, иштта дӀаязбина бу: коьртаниг ЯӀиал хилла, ткъа цул тӀаьхьа Закри-ЯхӀу а,</verse>
				<verse number="8">БулаӀ а. БулаӀ вара Юалан кӀант волчу ШемаӀан кӀентан Азазан кӀант. Раабанхой бехаш бара ӀаруӀер-гӀалара дуьйна Набу а, БаӀал-МаӀун а гӀаланашна тӀекхаччалц йолчу меттигашкахь.</verse>
				<verse number="9">Малхбалехь, Эпрат-хина тӀекхаччалц йолчу яьссачу аренан йисте кхочучу меттигашкахь, баха охьахевшира уьш, хӀунда аьлча ГалӀад-махкахь церан даьхни чӀогӀа дебнера.</verse>
				<verse number="10">Шаула паччахьалла дечу заманахь раабанхой хӀагирхошца тӀом беш бара. ХӀагирхой эша а бина, ГалӀад-мехкан малхбалехьарчу ерриге а меттигашкахь церан четарш чохь баха охьахевшинера уьш.</verse>
				<verse number="11">Ткъа Гадин тӀаьхье ехаш яра раабанхошна къилбаседехьа агӀор йолчу Салха-гӀалина тӀекхаччалц болчу Башан-махкахь.</verse>
				<verse number="12">Башан-махкахь коьртаниг Юал вара, шолгӀаниг — Шапами, царал тӀаьхьа ЯӀнай а, Шапти а.</verse>
				<verse number="13">Церан доьзалшка хьаьжжина, хӀара бархӀ вара церан гергара: Микаал, Машулим, ШебаӀ, Юрай, ЯӀакхан, ЗиӀа, Ӏебар.</verse>
				<verse number="14">Уьш Абу-Хьаилан тӀаьхьенах берш бара. Ткъа Абу-Хьаил вара Хьурин кӀант, Хьури вара Ярухьин кӀант, Ярухь вара ГалӀадан кӀант, ГалӀад вара Микаалан кӀант, Микаал вара Яшишайн кӀант, Яшишай вара ЯхӀдун кӀант, ЯхӀду вара Бузин кӀант.</verse>
				<verse number="15">Гунин кӀентан Ӏабдиалан кӀант Ахьи церан доьзалан коьртаниг вара.</verse>
				<verse number="16">Уьш бара ГалӀадехь а, Башанехь а цуьнца йоьзна йолчу гӀаланашкахь а, иштта Шарон-аре чекхъяллалц йолчу массо а дежийлаш йолчохь а бехаш.</verse>
				<verse number="17">(Оцу тӀаьхьенах болчу массеран а цӀераш дӀаязйина хилла яхӀудхойн паччахь Йовтам а, исраилхойн паччахь ЯрбаӀам хиллачу заманахь.)</verse>
				<verse number="18">Раабанан а, Гадин а тайпанна а, Маннашан ахтайпанна а юкъахь вара доьналла а долуш, карахь турссий, туррий а лелош, секхаӀад кхосса а хууш, лата Ӏамийна а, тӀом бан кийча волу а шовзткъе виъ эзар ворхӀ бӀе кхузткъа эскархо.</verse>
				<verse number="19">Цара хӀагирхошца а, Етарца а, Напушица а, Нудабца а тӀом бира.</verse>
				<verse number="20">Цара мостагӀашна дуьхьало ечу хенахь, Дала царна гӀо дира. ХӀагирхой а, церан долахь хилла долу массо а хӀума а оцу тӀемалойн кара дахийтира, хӀунда аьлча шаьш тӀом бечу хенахь цара Деле кхайкхинера. Ткъа и тӀемалой Шех тешна бехаш хилла дела, Далла уьш дӀахезнера.</verse>
				<verse number="21">Оцу тӀемалоша церан даьхни шайна дӀаийцира. Цу юкъахь яра шовзткъе итт эзар эмкал а, ши бӀе шовзткъе итт эзар уьстагӀ а, газа а, ши эзар вир а, цхьа бӀе эзар адам а.</verse>
				<verse number="22">И тӀом Делера болу дела, дукха адам хӀаллакьхиллера. Ткъа и тӀемалой шайн халкъаца исраилхой йийсаре дӀабиггалц бехаш Ӏийра цу махкахь, хӀаллакбинчеран метта.</verse>
				<verse number="23">Маннашан ахтайпанан тӀаьхье ехаш яра Башан-махкара дуьйна БаӀал-Хьермонна а, Санирна а, Хьермон-лаьмнашна а тӀекхаччалц болчу махкахь. Уьш чӀогӀа дукха бара.</verse>
				<verse number="24">Церан доьзалийн баьччанаш хӀорш бара: Ӏайпар, Ишхьи, Элиал, Ӏазриал, Ярми-ЯхӀу, ХӀудав-ЯхӀу, ЯхӀдиал. Уьш бара майра тӀемалой, цӀеяхна нах, шайн доьзалийн баьччанаш.</verse>
				<verse number="25">Амма, шайн дайн Далла тешаме а ца хуьлуш, Дала шайна уллора оцу махкана чуьра дӀалелхийна долчу къаьмнийн деланашна тӀаьхьа а хӀиттина, оцу къаьмнех терра сийсаза лелара уьш.</verse>
				<verse number="26">ТӀаккха Исраилан Дала, ашурхойн паччахьан ПӀулин (иза ТигӀлат-Палиасар ву) са карзах а даьккхина, раабанхой а, гадахой а, Маннашан ахтайпанан тӀаьхье а йийсаре дӀайигийтира. Уьш Хьалахь-гӀала а, Хьабур а, ХӀари а цӀераш йолчу меттигашка а, Газун-гӀалин хин йисте а дӀабигира. Таханлерчу денна тӀекхаччалц уьш цигахь бехаш бу.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="6">
				<verse number="1">Левин кӀентий хӀорш бара: ГӀиршан, КхахӀат, Мерари.</verse>
				<verse number="2">КхахӀатан кӀентий хӀорш бара: Ӏамрам, Ицхьар, Хьеврон, Ӏузиал.</verse>
				<verse number="3">Ӏамраман бераш хӀорш дара: АхӀарон, Муса, Марем. АхӀаронан кӀентий хӀорш бара: Надаб, АбихӀу, ЭлиӀазар, Итамар.</verse>
				<verse number="4">ЭлиӀазаран хилира кӀант Пайнехьас. АбишуӀ Пайнехьасан кӀант вара.</verse>
				<verse number="5">АбишуӀан кӀант вара Букхай. Букхайн кӀант вара Ӏузи.</verse>
				<verse number="6">Ӏузин кӀант вара Зарахь-ЯхӀу. Зарахь-ЯхӀун кӀант вара Маръюти.</verse>
				<verse number="7">Маръютин вара кӀант Амар-ЯхӀу. Амар-ЯхӀун кӀант вара Ахьтуби.</verse>
				<verse number="8">Ахьтубин кӀант вара ЦӀадукъа. ЦӀадукъин кӀант вара АхьимаӀац.</verse>
				<verse number="9">АхьимаӀацан кӀант вара Ӏазар-ЯхӀу, ткъа Ӏазар-ЯхӀун кӀант вара Йохьан.</verse>
				<verse number="10">Йохьанан кӀант вара Ӏазар-ЯхӀу. Иза вара Ярушалаймехь Сулим-паччахьо дӀахӀоттийначу Делан цӀа чохь динан да.</verse>
				<verse number="11">Ӏазар-ЯхӀун кӀант вара Амар-ЯхӀу, ткъа Амар-ЯхӀун кӀант вара Ахьтуби.</verse>
				<verse number="12">Ахьтубин кӀант вара ЦӀадукъа, ткъа ЦӀадукъин кӀант вара Шалум.</verse>
				<verse number="13">Шалуман кӀант вара Хьалкхи-ЯхӀу, ткъа Хьалкхи-ЯхӀун кӀант вара Ӏазар-ЯхӀу.</verse>
				<verse number="14">Ӏазар-ЯхӀун кӀант вара Сари-ЯхӀу, ткъа Сари-ЯхӀун кӀант вара ЯхӀу-ЦӀадакъа.</verse>
				<verse number="15">Везачу Эло Набухди-Нецаран куьйгахула ЯхӀуд-мехкан а, Ярушалайм-гӀалин а бахархой йийсаре дӀабигийтинчу хенахь, ЯхӀу-ЦӀадакъа цаьрца цхьаьна йийсаре вахара.</verse>
				<verse number="16">Иштта Левин кӀентий хӀорш бара: ГӀиршан, КхахӀат, Мерари.</verse>
				<verse number="17">ХӀорш ю ГӀиршанан кӀентийн цӀераш: Ливани, ШамаӀи.</verse>
				<verse number="18">КхахӀатан кӀентий хӀорш бара: Ӏамрам, Ицхьар, Хьеврон, Ӏузиал.</verse>
				<verse number="19">Мерарин кӀентий хӀорш бара: Махьли, Мушхьи. Левин тӀаьхьенах схьадевлла тукхамаш, церан доьзалшка хьаьжжина, хӀорш ду:</verse>
				<verse number="20">ГӀиршанан тӀаьхье иштта яра: цуьнан кӀант вара Ливани. Ливанин кӀант вара Яхьат. Зами вара Яхьатан кӀант.</verse>
				<verse number="21">Замин кӀант вара Юахьи. Ткъа Юахьин кӀант вара Ида. Зерахь Ӏидун кӀант вара. Зерахьан кӀант вара Яатрай.</verse>
				<verse number="22">КхахӀатан тӀаьхье иштта яра: Ӏамминадаб цуьнан кӀант вара. Кхорахь Ӏамминадабан кӀант вара. Асар Кхорахьан кӀант вара.</verse>
				<verse number="23">Асаран кӀант вара Элкхан. Элкханан кӀант Аби-Аса хилира. Аби-Асин кӀант вара Асар.</verse>
				<verse number="24">Асаран кӀант вара Тахьат. Тахьатан кӀант вара Уриал. Ӏузи-ЯхӀу Уриалан кӀант вара. Ӏузи-ЯхӀун кӀант Шаул хилла.</verse>
				<verse number="25">Элкханан кӀентий бара Ӏамсай а, Ахьимут а.</verse>
				<verse number="26">Ахьимутан кӀант вара Элкхана. Элкханан кӀант вара Цупай. Цупайн кӀант вара Нахьати.</verse>
				<verse number="27">Нахьатин кӀант вара Элиаб. Элиабан кӀант вара Ярохьам. Ярохьаман кӀант вара Элкхана. Ткъа Элкханан кӀант вара Шамъал.</verse>
				<verse number="28">Шамъалан кӀентий хӀорш бара: дуьххьарлерниг — Юал, шолгӀаниг — Аби-ЯхӀу.</verse>
				<verse number="29">Мерарин тӀаьхье иштта яра: цуьнан кӀант вара Махьли. Махьлин кӀант вара Ливани. Ливанин кӀант вара ШамаӀи. ШамаӀин кӀант вара Ӏуза.</verse>
				<verse number="30">Ӏузин кӀант вара ШимӀа. ШимӀин кӀант вара Хьаги-ЯхӀу. Хьаги-ЯхӀун кӀант вара Ӏаси-ЯхӀу.</verse>
				<verse number="31">Делан тӀорказ дӀахӀоттийначу хенахь дуьйна, Везачу Элан цӀийнан кертахь Дауда илланчашна тӀехь хьаькамаш хӀиттийнера.</verse>
				<verse number="32">Ярушалаймехь Сулима Везачу Элан цӀа дӀахӀоттадаллалц, Делан гуламан четарна хьалха илланчаш санна гӀуллакх деш бара уьш. Шайна тӀедехкинчу парзашка хьаьжжина, шайн белхаш кхочушбора цара.</verse>
				<verse number="33">Цигахь шайн тӀаьхьенашца гӀуллакх динарш хӀорш бара: кхахӀатхойн тӀаьхьенах зурманча вара ХӀайман. Иза Юалан кӀант вара, ткъа Шамъалан кӀант вара Юал.</verse>
				<verse number="34">Элкханан кӀант вара Шамъал. Ярохьаман кӀант вара Элкхан. Элиалан кӀант вара Ярохьам. Товхьин кӀант вара Элиал.</verse>
				<verse number="35">Цупин кӀант вара Товхьа. Элкханан кӀант вара Цупа. Махьатан кӀант вара Элкхан. Ӏамсайн кӀант вара Махьат.</verse>
				<verse number="36">Элкханан кӀант вара Ӏамсай. Юалан кӀант вара Элкхан. Юал Ӏазар-ЯхӀун кӀант вара. Ӏазар-ЯхӀу вара Цапни-ЯхӀун кӀант.</verse>
				<verse number="37">Цапни-ЯхӀу Тахьатан кӀант вара. Тахьат Асаран кӀант вара. Асар вара Аби-Асин кӀант. Аби-Аса вара Кхорахьан кӀант.</verse>
				<verse number="38">Кхорахь Ицхьаран кӀант вара. Ицхьар вара КхахӀатан кӀант. КхахӀат Левин кӀант вара. Леви Исраилан кӀант вара.</verse>
				<verse number="39">ХӀайманна аьтту агӀор лаьттачу цуьнан гергара волчу Асайпа зурманчин гӀуллакх дора. Асайп вара Берех-ЯхӀун кӀант. Берех-ЯхӀу ШимӀин кӀант вара.</verse>
				<verse number="40">ШимӀа Микаалан кӀант вара. Микаал БаӀас-ЯхӀун кӀант вара. БаӀас-ЯхӀу вара Малки-ЯхӀун кӀант.</verse>
				<verse number="41">Малки-ЯхӀу вара Этанин кӀант. Этани вара Зерахьан кӀант. Зерахь вара Ӏади-ЯхӀун кӀант.</verse>
				<verse number="42">Ӏади-ЯхӀу вара Этанан кӀант. Этан вара Замин кӀант. Зами вара ШамаӀин кӀант.</verse>
				<verse number="43">ШимӀа вара Яхьатан кӀант. Яхьат вара ГӀиршанан кӀант. ГӀиршан вара Левин кӀант.</verse>
				<verse number="44">ХӀайманна аьрру агӀор а лаьтташ, зурманчин гӀуллакх дора церан гергара йолчу мерарихойн тӀаьхьенах волчу Кхишин кӀанта Этана. Кхиши Ӏабдин кӀант вара. Ӏабди вара Малукан кӀант.</verse>
				<verse number="45">Малук Хьашби-ЯхӀун кӀант вара. Хьашби-ЯхӀу вара Амци-ЯхӀун кӀант. Амци-ЯхӀу вара Хьалкхи-ЯхӀун кӀант.</verse>
				<verse number="46">Хьалкхи-ЯхӀу вара Амцин кӀант. Амци вара Банин кӀант. Бани Шемаран кӀант вара.</verse>
				<verse number="47">Шемар вара Махьлин кӀант. Махьли Мушхьин кӀант вара. Мушхьи Мерарин кӀант вара. Ткъа Мерари Левин кӀант вара.</verse>
				<verse number="48">Церан вежарий болу левихой дӀахӀиттийнера Делан цӀа долчу четарца доьзна долу цхьацца гӀуллакхаш дан.</verse>
				<verse number="49">АхӀарон а, цуьнан тӀаьхье а дийнаташ дагоран а, хаза хьожа йоуьйту хӀуманаш ягоран а кхерчашна тӀехь сагӀа доккхурш бара. Иштта, царна тӀедехкина дара Везачу Элан цӀийнан уггар езачу чоьнна чохь бан мел безаш болу белхаш бар а, Исраилан халкъан дуьхьа къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдар а, Делан ялхо хиллачу Мусас шайна тӀедиллина ма-хиллара.</verse>
				<verse number="50">АхӀаронан тӀаьхье иштта яра: цуьнан кӀант вара ЭлиӀазар. ЭлиӀазаран кӀант вара Пайнехьас. АбишуӀ вара Пайнехьасан кӀант.</verse>
				<verse number="51">АбишуӀан кӀант Букхай вара. Ӏузи Букхайн кӀант вара. Зарахь-ЯхӀу Ӏузин кӀант вара.</verse>
				<verse number="52">Зарахь-ЯхӀун кӀант вара Маръюти. Маръютин кӀант вара Амар-ЯхӀу. Ахьтуби вара Амар-ЯхӀун кӀант.</verse>
				<verse number="53">ЦӀадукъа Ахьтубин кӀант вара. ЦӀадукъин кӀант вара АхьимаӀац.</verse>
				<verse number="54">Шайн меттаметташкахь левихой Ӏаш хилла меттигаш хӀорш ю: шайна дуьххьара кхаж баьлла дела, кхахӀатхойн тукхамах схьаяьллачу АхӀаронан тӀаьхьенна</verse>
				<verse number="55">еллера ЯхӀуд-махкара Хьеврон-гӀала а, цунна гонах долу дежийлаш а.</verse>
				<verse number="56">Ткъа оцу гӀалина чудогӀуш долу кхаш а, ярташ а Епунин кӀантана Килабана дӀаеллера.</verse>
				<verse number="57">Иштта, АхӀаронан тӀаьхьенна еллера: Хьеврон (иза лурбоьлла нах ловчкъу гӀала яра), Либна а, цунна гонах долу дежийлаш а, Итар-гӀала а, ЭштамуӀ-гӀала а, цунна гонах долу дежийлаш а,</verse>
				<verse number="58">Хьилаз-гӀала а, Дибар-гӀала а, царна гонах долу дежийлаш а,</verse>
				<verse number="59">Ӏашун, Байт-Шамаш гӀаланаш а, царна гонах долу дежийлаш а.</verse>
				<verse number="60">Ткъа Бен-Яманан тайпанан махкахь кхахӀатхошна еллера: ГибаӀ-гӀала, Ӏаламат-гӀала, Ӏанатот-гӀала, царна гонах долу дежийлаш. Церан тукхамана елла хилла йолу гӀаланаш ерриг а кхойтта хилла.</verse>
				<verse number="61">КхахӀатхойн оцу гаранах йолчу кхечу тӀаьхьенна, кхаж а баьлла, Маннашан ахтайпанан долахь хиллачу декъах итт гӀала еллера.</verse>
				<verse number="62">ГӀиршанан тӀаьхьенах долчу тукхамашна, кхаж а баьлла, Иссарханан а, Ашаран а, Напталан а тайпанийн а, Башанерачу Маннашан ахтайпанан а латтанаш тӀера кхойтта гӀала еллера.</verse>
				<verse number="63">Мерарин тӀаьхьенах долчу тукхамашна, кхаж а баьлла, Раабанан а, Гадин а, Забулан а тайпанийн латтанаш тӀера шийтта гӀала еллера.</verse>
				<verse number="64">Иштта гӀаланаш а, царна гонахара дежийлаш долу латта а деллера левихошна исраилхоша.</verse>
				<verse number="65">Кхаж а баьлла, ЯхӀудан а, ШимӀин а, Бен-Яманан а тайпанийн латтанаш тӀера массо а цӀераш техкина йолу гӀаланаш еллера цара.</verse>
				<verse number="66">Ткъа кхахӀатхойн тӀаьхьенах долчу цхьадолчу тукхамашна Эпрайман тайпанах болчийн гӀаланаш еллера.</verse>
				<verse number="67">Царна еллера Эпрайман лам тӀехь йолу Шехем-гӀала а (иза лурбоьлла нах ловчкъу гӀала яра), ГӀазар-гӀала а, церан дежийлаш а.</verse>
				<verse number="68">Иштта ЯкхмаӀам-гӀала а, цунна гонахара дежийлаш а, Байт-Хьорон а, цунна гонахара дежийлаш а,</verse>
				<verse number="69">Айлон а, Гати-Римун а гӀаланаш а, царна гонахара дежийлаш а.</verse>
				<verse number="70">Маннашхойн ахтайпанан лаьттара кхахӀатхойн йисинчу тукхамашна еллера Ӏанури-гӀала а, БалиӀам-гӀала а, царна гонахара дежийлаш а.</verse>
				<verse number="71">ГӀиршанан тӀаьхьенна еллера: маннашхойн ахтайпанан лаьтта тӀера Башанехь йолу Голан-гӀала а, Ӏаштарат-гӀала а, царна гонахара дежийлаш а.</verse>
				<verse number="72">Иссарханан тайпанан лаьттара царна еллера Кхедаш а, Дубрат а гӀаланаш а, царна гонахара дежийлаш а,</verse>
				<verse number="73">иштта Рамат а, Ӏанейм а гӀаланаш а, царна гонахара дежийлаш а.</verse>
				<verse number="74">Ашаран тайпанан лаьтта тӀера царна еллера Машал а, Ӏабдани а гӀаланаш а, царна гонахара дежийлаш а,</verse>
				<verse number="75">иштта Хьукхакх а, Рахьуб а гӀаланаш а, царна гонахара дежийлаш а.</verse>
				<verse number="76">Напталан тайпанан лаьттара царна еллера Галилай-махкара Кхедаш-гӀала а, Хьамун-гӀала а, Кхиръятим-гӀала а, царна гонахара дежийлаш а.</verse>
				<verse number="77">Левихойх йисина йолчу Мерарин тӀаьхьенна еллера Забулан тайпанан лаьтта тӀера Римун а, Табур а гӀаланаш а, царна гонахара дежийлаш а.</verse>
				<verse number="78">Йордан-хина малхбузехьа лаьтташ йолчу Ерихон-гӀалина дуьхьал агӀор малхбалехьа болчу махкара раабанхойн тайпанан лаьтта тӀера еллера яьссачу аренгара Бацар-гӀала а, ЯхӀац-гӀала а, царна гонахара дежийлаш а,</verse>
				<verse number="79">Кхадимут а, МейпаӀат а гӀаланаш а, царна гонахара дежийлаш а.</verse>
				<verse number="80">Гадин тайпанан лаьтта тӀера еллера ГалӀад-махкара Рамат а, Махьанайм а, царна гонахара дежийлаш а,</verse>
				<verse number="81">иштта Хьешбон а, ЯӀзир а гӀаланаш а, царна гонахара дежийлаш а.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="7">
				<verse number="1">Иссарханан виъ кӀант вара: ТовлаӀ, Пува, Яшаб, Шимрон.</verse>
				<verse number="2">ТовлаӀан кӀентий хӀорш бара: Ӏузи, Рапи-ЯхӀу, Яриал, Яхьмай, Ибсам, Шамуал. Уьш шайн доьзалийн баьччанаш бара. Шайн тӀаьхьенашна юкъахь ницкъболу тӀемалой хилла и нах. Даудан заманахь царна юкъахь тӀамана кийча волу ткъе ши эзар ялх бӀе стаг хилла (22600).</verse>
				<verse number="3">Ӏузин кӀант вара Израхь-ЯхӀу. Ткъа Израхь-ЯхӀун кӀентий бара: Микаал, Ӏабди-ЯхӀу, Юал, Йоши-ЯхӀу. И пхиъ шайн доьзалийн баьчча вара.</verse>
				<verse number="4">Оцу нехан дуккха а зударий а, бераш а хилла дела, церан тӀаьхьенашка а, доьзалшка а хьаьжжина, царах схьаваьллера тӀамана кийча волу ткъе ялхитта эзар стаг (36000).</verse>
				<verse number="5">Ткъа Иссарханан массо а тӀаьхьенийн доьзалш дӀаязбечу тептарш тӀехь дӀаязвинера дика тӀемало волу везткъе ворхӀ эзар стаг (87000).</verse>
				<verse number="6">Бен-Яманан кхо кӀант вара: БулаӀ, Бахри, ЕдиӀаал.</verse>
				<verse number="7">БулаӀан пхи кӀант вара: Эцбон, Ӏузи, Ӏузиал, Еримати, Ӏири. Уьш, шайн доьзалийн баьччанаш а болуш, дика тӀемалой бара. ТӀаьхьенийн доьзалш дӀаязбечу тептарш тӀехь царах дӀаязвина вара ткъе ши эзар ткъе вейтта тӀемало (22034).</verse>
				<verse number="8">Бахрин кӀентий хӀорш бара: Замари, Юаш, ЭлиӀазар, ЭлъюӀинай, Ӏумари, Еримати, Аби-ЯхӀу, Ӏанатот, Ӏаламат. Уьш берриш а Бахрин кӀентий бара.</verse>
				<verse number="9">ТӀаьхьенийн доьзалш дӀаязбечу тептарш тӀехь царах дӀаязбина бара церан доьзалийн баьччанаш а, ткъа эзар ши бӀе тӀемало а (20200).</verse>
				<verse number="10">ЕдиӀаалан кӀант вара БилхӀан. Цуьнан кӀентий хӀорш бара: ЕӀуш, Бен-Яман, АхӀуд, КинаӀан, Зитани, Таршаш, Ахьи-Шахьар.</verse>
				<verse number="11">ЕдиӀаалан массо а кӀентий шайн доьзалийн баьччанаш бара. Церан тӀаьхьенашна юкъахь тӀамана кийча волу вуьрхӀитта эзар ши бӀе дика тӀемало вара (17200).</verse>
				<verse number="12">Шупайм а, Хьупим а бара Ӏирин кӀентий. Ткъа Хьушим Ахьеран кӀант вара.</verse>
				<verse number="13">Балхьатан кӀант волчу Напталан кӀентий бара: Яхьциал, Гуни, Йицар, Шалум.</verse>
				<verse number="14">Маннашан кӀентий бара: арамхо йолчу гӀарбаш-зудчо вина волу Асриал а, иштта ГалӀадан да Макир а.</verse>
				<verse number="15">Макира Хьупиме а, Шупайме а зударий балабайтира. Цуьнан йишин цӀе МаӀха яра. ШолгӀачу кӀентан цӀе яра Цалпихьад. Цалпихьадан йоӀарий бен ца хилла.</verse>
				<verse number="16">Макиран зудчо МаӀхас, кӀант а вина, цуьнан цӀе Параш тиллира. Парашан ваша Шераш вара, ткъа Парашан кӀентий бара: Улам, Рекхам.</verse>
				<verse number="17">Уламан кӀант вара Бедан. Иштта бара Маннашан кӀентан Макиран кӀант волчу ГалӀадан кӀентий.</verse>
				<verse number="18">Цуьнан йишас Мулката а бира кӀентий: ИшхӀуд, Абу-Ӏезар, Махьила.</verse>
				<verse number="19">ШамидаӀан кӀентий хӀорш бара: Ахьъян, Шехем, Ликхахьи, АнӀами.</verse>
				<verse number="20">Эпрайман тӀаьхье иштта яра: цуьнан кӀант вара Шутлахьи. Шутлахьин кӀант вара Баред. Баредан кӀант вара Тахьат. Ткъа Тахьатан кӀант вара Эли-Ӏада. Эли-Ӏадин а кӀант хилира Тахьат.</verse>
				<verse number="21">Цу Тахьатан кӀант вара Забад. Забадан кӀант вара Шутлахьи. Эпрайман кхин а ши кӀант вара: Ӏезар, ЭлиӀад. Гати-гӀалара схьабевллачу цхьаболчу бахархоша Ӏезар а, ЭлиӀад а вийна хилла, жа схьадаккха дагахь, шаьш долчу уьш баьхкича.</verse>
				<verse number="22">Церан дас Эпрайма, шен кӀенташна воьлхуш, гӀайгӀанехь дикка хан яьккхира. Эпрайман вежарша, цунна тӀе а богӀий, тевеш хилла иза.</verse>
				<verse number="23">ТӀаккха, Эпрайм кхин а цкъа шен зудчух кхеттачул тӀаьхьа, зудчо цунна кӀант вира. Эпрайма цунна, БериӀ аьлла, цӀе тиллира (Ӏебархойн маттахь и цӀе «бохам» бохучух тера ю), шен цӀенна бохам тӀебеана хилла дела.</verse>
				<verse number="24">Шаират цӀе йолуш, йоӀ а яра Эпрайман. Шаирата дӀахӀоттийра Лахара а, Лакхара а Байт-Хьорон гӀаланаш а, иштта Узан-Шаира цӀе йолу гӀала а.</verse>
				<verse number="25">Эпрайман кӀант вара Репахь. Решап Репахьан кӀант вара. Тилхьа вара Решапан кӀант. Тилхьин кӀант вара Тахьан.</verse>
				<verse number="26">Тахьанан кӀант вара ЛаӀдан. ЛаӀданан кӀант вара ӀамихӀуд. Эли-ШамаӀ вара ӀамихӀудан кӀант.</verse>
				<verse number="27">ЭлишамаӀан кӀант вара Нуна. Ткъа Нунин кӀант вара ЮшаӀ.</verse>
				<verse number="28">Уьш баьхна йолу церан долахь хилла меттигаш хӀорш яра: Бетал-гӀала а, цуьнца йоьзна йолу кхин ярташ а, малхбалехьа йолу НаӀран-гӀала а, малхбузехьа йолу ГӀазар-гӀала а, цуьнца йоьзна йолу ярташ а, иштта Шехем-гӀала а, цуьнца йоьзна йолу ярташ а, шеца йоьзначу ярташца йолчу Ӏайи-гӀалина тӀекхаччалц.</verse>
				<verse number="29">Ткъа Маннашан тӀаьхьенах болчийн долахь яра хӀара гӀаланаш: Байт-Шеан, ТаӀнак, МагӀидда, Дор, цаьрца йоьзна йолу ярташ. Цу гӀаланашкахь ехаш яра Исраилан кӀентан Юсупан тӀаьхье.</verse>
				<verse number="30">Ашаран кӀентий хӀорш бара: Имани, Ишва, Ишви, БериӀ. Церан йиша яра Серахь.</verse>
				<verse number="31">БериӀан кӀентий хӀорш бара: Хьебар, Малкиал. (Малкиала дӀахӀоттийра Бирзайт-гӀала.)</verse>
				<verse number="32">Хьебаран кӀентий хӀорш бара: Яплати, Шумар, Хьотам. Ткъа церан йиша ШуӀа яра.</verse>
				<verse number="33">Яплатин кӀентий хӀорш бара: Пасак, БимхӀали, Ӏашвати. Уьш бара Яплатин кӀентий.</verse>
				<verse number="34">Яплатин вешин Шумаран кӀентий хӀорш бара: РухӀаги, Хьуба, Арам.</verse>
				<verse number="35">Яплатин вешин ХӀалиман кӀентий хӀорш бара: Цупахьи, ИмнаӀ, Шелша, Ӏамла.</verse>
				<verse number="36">Цупахьин кӀентий хӀорш бара: Сухьа, Хьарнипар, ШуӀал, Бирай, Имари,</verse>
				<verse number="37">Бацар, ХӀуда, Шама, Шилша, Итран, Баира.</verse>
				<verse number="38">ИтӀаран кӀентий хӀорш бара: Епуни, Писапи, Ари.</verse>
				<verse number="39">Ӏулин кӀентий хӀорш бара: Арахьи, Хьаниал, Рица-ЯхӀу.</verse>
				<verse number="40">Ашаран тӀаьхьенах болу и нах шайн доьзалийн баьччанаш бара. Уьш, коьрта хьаькамаш а болуш, исбаьхьа а, доьналла долу а тӀемалой бара. Эскархойн цӀераш дӀаязъечу тептар тӀехь оцу тӀаьхьенах тӀамана кийча дӀаязвинарг вара ткъе ялх эзар стаг (26000).</verse>
			</chapter>
			<chapter number="8">
				<verse number="1">Бен-Яманан дуьххьарлера кӀант вара БулаӀ, шолгӀаниг — Ашбели, ткъа кхозлагӀниг — Ахьарахьи.</verse>
				<verse number="2">Цуьнан воьалгӀа кӀант вара Нухьа, пхоьалгӀаниг — Рапа.</verse>
				<verse number="3">БулаӀан кӀентий хӀорш бара: Адар, Гери, АбихӀуд,</verse>
				<verse number="4">АбишуӀ, НаӀаман, Ахьохь,</verse>
				<verse number="5">Гери, Шапупан, Хьурам.</verse>
				<verse number="6">Ахьудан тӀаьхье хӀара яра (ГибаӀ-гӀалара Манахьат-гӀала дӀабигна болчу доьзалийн баьччанаш бара уьш):</verse>
				<verse number="7">НаӀаман, АхьъяхӀу, Гери. Гери ву уьш кхечу гӀала баха дӀабигина хилларг. Герин кӀентий бара Ӏузи а, АхьъяхӀуд а.</verse>
				<verse number="8">Хьушим а, БаӀарат а цӀераш йолу шен зударий дӀа а бахийтина, Муаби-махкахь вехаш вара Шахьарайм. Цу хенахь цуьнан кӀентий хилира.</verse>
				<verse number="9">Иштта цуьнан зудчо Хьудаша бира кӀентий: Ябаб, Цивъя, МешаӀ, Малкам,</verse>
				<verse number="10">ЯӀуца, Шахи-ЯхӀу, Мирами. Уьш доьзалийн баьччанаш хилла болу Шахьарайман кӀентий бара.</verse>
				<verse number="11">Хьушима цунна бина кӀентий хӀорш бара: Абитуб, Эли-ПаӀал.</verse>
				<verse number="12">Эли-ПаӀалан кӀентий хӀорш бара: Ӏебар, МишиӀам, Шемад. Шемада дӀахӀоттийра Овну а, Лодди а гӀаланаш а, цаьрца йоьзна йолу ярташ а.</verse>
				<verse number="13">Иштта БериӀ а, ШемаӀ а Айлон-гӀаларчу бахархойн доьзалийн баьччанаш бара. Цара Гати-гӀалара бахархой дӀалелхийнера.</verse>
				<verse number="14">Ахьъю, Шашакх, Еримати,</verse>
				<verse number="15">Забди-ЯхӀу, Ӏарод, Ӏедар,</verse>
				<verse number="16">Микаал, Ишпа, Йохьа — уьш берриш а БериӀан кӀентий бара.</verse>
				<verse number="17">Забди-ЯхӀу, Машулим, Хьузакх, Хьебар,</verse>
				<verse number="18">Ишмарай, Изли-ЯхӀу, Ябаб — Эли-ПаӀалан кӀентий бара.</verse>
				<verse number="19">Якъим, Зикра, Завади,</verse>
				<verse number="20">Эли-Ӏенай, Цилтай, Элиал,</verse>
				<verse number="21">Ӏади-ЯхӀу, Бира-ЯхӀу, Шимрати бара ШамаӀин кӀентий.</verse>
				<verse number="22">Ишпани, Ӏебар, Элиал,</verse>
				<verse number="23">Ӏабдани, Зикра, Хьанан,</verse>
				<verse number="24">Хьанан-ЯхӀу, Ӏейлам, Ӏантут-ЯхӀу,</verse>
				<verse number="25">Ипад-ЯхӀу, Пенуал бара Шашакхан кӀентий.</verse>
				<verse number="26">Шамширай, Шахьар-ЯхӀу, Ӏатал-ЯхӀу,</verse>
				<verse number="27">ЯӀриш-ЯхӀу, Эли-ЯхӀу, Зикра бара Ярохьаман кӀентий.</verse>
				<verse number="28">Уьш, шайн доьзалийн баьччанаш а болуш, тукхамийн цӀераш дӀаязъеш долчу тептаршка хьаьжжина, куьйгалхой бара. Ярушалаймехь бехаш бара уьш.</verse>
				<verse number="29">Ткъа ГавӀон-гӀалахь вехаш вара ГавӀон-гӀала дӀахӀоттийна волу ЯӀиал. Цуьнан зудчун цӀе МаӀха яра.</verse>
				<verse number="30">ЯӀиалан дуьххьарлера кӀант Ӏабдани вара. Цул тӀаьхьа хилира Цура, Къуша, БаӀал, Нер, Надаб,</verse>
				<verse number="31">Гадур, Ахьъю, Захир,</verse>
				<verse number="32">Микхлут. Микхлутан кӀант вара Шема. Уьш шайн вежаршна уллохь Ярушалаймехь бехаш бара.</verse>
				<verse number="33">Къуша Неран кӀант вара. Къушин кӀант вара Шаул. ЯхӀуната а, МалкишаӀ а, Абинадаб а, ЭшбаӀал а бара Шаулан кӀентий.</verse>
				<verse number="34">ЯхӀунатин кӀант вара Мариб-БаӀал. Ткъа Мариб-БаӀалан кӀант вара Мика.</verse>
				<verse number="35">Микин кӀентий хӀорш бара: Питун, Малик, ТаираӀ, Ахьаз.</verse>
				<verse number="36">ЯхӀу-Ӏада Ахьазан кӀант вара. ЯхӀу-Ӏадин кӀентий бара Ӏаламат, Ӏазмават, Зимари. Зимарин кӀант вара Муца.</verse>
				<verse number="37">Муцин кӀант вара БинӀа. Цуьнан кӀант вара Репа. Репин кӀант вара ЭлиӀаса. Ацала ЭлиӀасан кӀант вара.</verse>
				<verse number="38">Ацалин ялх кӀант вара. Церан цӀераш хӀорш яра: Ӏазрикхам, Бохру, ИсмаьӀал, ШаӀар-ЯхӀу, Ӏабди-ЯхӀу, Хьанан. Уьш берриш а Ацалин кӀентий бара.</verse>
				<verse number="39">Ацалин вешин Ӏешакхан кӀентий хӀорш бара: дуьххьарлера кӀант Улам, шолгӀаниг ЕӀуш, ткъа кхозлагӀниг Эли-Пулат.</verse>
				<verse number="40">Уламан кӀентий, секхаӀодаца пхерчий а кхуьссуш, дика тӀемалой бара. Церан дуккха а кӀентий а, кӀентийн кӀентий а хилира. Уьш цхьа бӀе шовзткъе итт стаг вара. Кхузахь дӀаязбина болу берриш а Бен-Яманан тӀаьхьенах схьабевллера.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="9">
				<verse number="1">Иштта массо а исраилхой шайн тукхамашца дӀаязбинера Исраилхойн паччахьийн тептар тӀе. Ткъа яхӀудхой Бавел-махка дӀабигнера, уьш Далла тешаме ца хиларна.</verse>
				<verse number="2">Йийсарера юха а бирзина, шайн гӀаланашкахь йолчу шайн долахь хиллачу меттигашкахь дуьххьара юха баха охьахевшинарш бара цхьаболу исраилхой а, динан дай а, левихой а, Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болу ялхой а.</verse>
				<verse number="3">Ярушалаймехь баха охьахевшира ЯхӀудан а, Бен-Яманан а, Эпрайман а, Маннашан а тӀаьхьенашкара цхьаболу нах.</verse>
				<verse number="4">ЯхӀудан кӀентан Парасан тӀаьхьенах цигахь вара: Ӏутай. Иза вара ӀамихӀудан кӀант. ӀамихӀуд вара Ӏумарин кӀант. Ӏумари вара Имарин кӀант. Ткъа Имари вара Банин кӀант.</verse>
				<verse number="5">Шилунан тӀаьхьенах цигахь хӀорш бара: дуьххьарлера доьзалхо волу Ӏаси-ЯхӀу а, цуьнан кӀентий а.</verse>
				<verse number="6">Зерахьан тӀаьхьенах вара ЯӀуал а, цуьнан вежарий а. ЯхӀудан тӀаьхьенах верг верриг а ялх бӀе везткъе итт стаг вара (690).</verse>
				<verse number="7">Бен-Яманан тӀаьхьенах цигахь баха охьахевшинарш хӀорш бара: Салуъ (иза вара Машулиман кӀант, ткъа Машулим вара ХӀудав-ЯхӀун кӀант, ткъа иза вара ХӀасинуан кӀант),</verse>
				<verse number="8">Ярохьаман кӀант волу Ибна-ЯхӀу, Махрин кӀентан Ӏузин кӀант волу Эла, Ибни-ЯхӀун кӀант волчу РаӀалан кӀентан Шапат-ЯхӀун кӀант Машулим.</verse>
				<verse number="9">Церан тукхамашкахь исс бӀе шовзткъе ялхитта стаг вара (956). Массо а и нах шайн доьзалийн баьччанаш бара.</verse>
				<verse number="10">Ярушалаймехь динан дайх баьхнарш хӀорш бара: Яди-ЯхӀу, ЯхӀу-Яриб, Якин,</verse>
				<verse number="11">Делан цӀенна тӀехь хьаькам волу Ӏазар-ЯхӀу (иза вара Хьалкхи-ЯхӀун кӀант, Хьалкхи-ЯхӀу вара Машулиман кӀант, Машулим вара ЦӀадукъин кӀант, ЦӀадукъа вара Маръютин кӀант, ткъа Маръюти вара Ахьтубин кӀант),</verse>
				<verse number="12">Ӏади-ЯхӀу (иза вара Ярохьаман кӀант, Ярохьам вара Пашихьуран кӀант, Пашихьур вара Малки-ЯхӀун кӀант), МаӀсай (иза вара Ӏадиалан кӀант, Ӏадиал вара Яхьзарин кӀант, Яхьзари вара Машулиман кӀант, Машулим вара Мишламатин кӀант, ткъа Мишламати вара Амиран кӀант).</verse>
				<verse number="13">Шайн доьзалийн баьччанаш болу динан дай цхьа эзар ворхӀ бӀе кхузткъа стаг вара (1760). Уьш говза нах бара, царна тӀедиллина дара Делан цӀийнаца доьзна долу гӀуллакхаш кхочушдар.</verse>
				<verse number="14">Левихойх цигахь бехаш хӀорш бара: ШамӀа-ЯхӀу (иза вара Хьашубин кӀант, Хьашуби вара Ӏазрикхаман кӀант, Ӏазрикхам вара Хьашби-ЯхӀун кӀант, ткъа Хьашби-ЯхӀу мерарихойн тӀаьхьенах вара),</verse>
				<verse number="15">Бакъ-Бакъари, Хьараш, Галали, Матан-ЯхӀу (иза вара Микин кӀант, Мика вара Зикрин кӀант, Зикра вара Асайпан кӀант),</verse>
				<verse number="16">Ӏабди-ЯхӀу (иза ШамӀа-ЯхӀун кӀант вара, ШамӀа-ЯхӀу вара Галалин кӀант, Галали вара Ядутунан кӀант), иштта Элкханан кӀентан Асин кӀант Берех-ЯхӀу а вара. Иза натӀупатхойн ярташкахь вехаш хилла.</verse>
				<verse number="17">Делан цӀийнан кевнехь гӀаролхой хилла болу цигахь баха охьахевшинарш хӀорш бара: Шалум а, Ӏакхуби а, ТӀулман а, Ахьиман а, церан вежарий а. (Царах коьртаниг Шалум вара.)</verse>
				<verse number="18">Кху ханналц а уьш малхбалехьа долчу Паччахьан кевнехь гӀаролхой бу. Уьш левихойн меттаметтанийн кевнашкахь гӀаролхой а бара.</verse>
				<verse number="19">Шалума (иза вара Кхурин кӀант, Кхура вара Аби-Асин кӀант, Аби-Аса вара Кхорахьан кӀант) а, кхорахьахойх болчу цуьнан гергарчу наха а Делан цӀийнан неӀсагӀина уллохь гӀарол дора, церан дайша Везачу Элан меттаматтана чуволлучохь гӀарол деш ма-хиллара.</verse>
				<verse number="20">ЭлиӀазаран кӀант Пайнехьас хиллера хьалха царна тӀехь хьаькам. Веза Эла а вара цуьнца.</verse>
				<verse number="21">Делан цӀийнан неӀарехь гӀарол деш вара Мишлам-ЯхӀун кӀант Закри-ЯхӀу.</verse>
				<verse number="22">НеӀаршна чуволлучохь гӀарол дан схьахаьржинарг верриг а ши бӀе шийтта стаг вара (212). Уьш шайн ярташкахь цӀераш дӀаязъечу тептарш тӀе дӀаязбина хилла. Уьш тешаме хилла дела, Дауда а, Делера дерг гуш волчу Шамъала а дӀахӀиттийнера уьш оцу гӀуллакхе.</verse>
				<verse number="23">Уьш а, церан тӀаьхьенаш а Везачу Элан цӀийнан кевнехь гӀарол деш бара (хьалха Везачу Элан цӀийнан метта Делан четар дара).</verse>
				<verse number="24">Оцу цӀийнан еа а агӀор — малхбалехьа, малхбузехьа, къилбаседехьа, къилбехьа — лаьтташ гӀаролхой бара.</verse>
				<verse number="25">Ткъа шайн ярташкахь Ӏаш болчу церан гергарчу наха, билгалъяьккхинчу хенахь царна тӀе а богӀуш, цаьрца цхьаьна ворхӀ дийнахь гӀуллакх дора.</verse>
				<verse number="26">Левихо волу и виъ хьаькам тешам болуш вара. Уьш бара Делан цӀенна уллохь йолчу чоьнашна а, хазнашна а гӀарол дан дӀахӀиттийна.</verse>
				<verse number="27">ГӀарол дар шайна тӀедиллина дела, цара, Делан цӀенна гонах дӀа а хӀуьттуш, буьйсанаш йохура. ХӀора Ӏуьйранна неӀарш дӀаелла а езара цара.</verse>
				<verse number="28">Левихойх цхьаберш бара динан гӀуллакх деш лелош йолчу пхьегӀашна тӀехьажа дӀахӀиттийна. И пхьегӀаш дӀалучу а, схьаоьцучу а хенахь ягаръеш хилла.</verse>
				<verse number="29">Вукхарна тӀедиллина дара Делан цӀийнан еза хӀуманаш а, кхиболу гӀирс а, дама а, чагӀар а, зайтдаьтта а, хаза хьожа йогӀу сегӀаз а, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а Ӏалашъяр.</verse>
				<verse number="30">Динан дайх цхьаболчара хаза хьожа йогӀу хӀуманаш цхьаьна эяр кхочушдора.</verse>
				<verse number="31">Кхорахьахочун Шалуман дуьххьарлера доьзалхо волчу левихочун Матит-ЯхӀун кара деллера сагӀанашна хӀуманаш цӀера тӀехь яттар.</verse>
				<verse number="32">КхахӀатхой болчу церан цхьаболчу вежаршна тӀедиллина хилла Далла леринчу хӀора шоьтан дийнахь Цунна бепиг кечдар.</verse>
				<verse number="33">Левихойн доьзалийн баьччанаш болу илланчаш Делан цӀийнан кертахь йолчу чоьнаш чохь Ӏийра. Уьш кхечу гӀуллакхех мукъабаьхна бара, хӀунда аьлча цара дийнаххьий, буьйсанний шайн корматалла дӀакхехьа езара.</verse>
				<verse number="34">Левихойн доьзалийн баьччанаш а болуш, тукхамийн цӀераш дӀаязъеш долчу тептаршка хьаьжжина, куьйгалхой бара уьш. Ярушалаймехь бехаш бара уьш.</verse>
				<verse number="35">Ткъа ГавӀон-гӀалахь вехаш вара и гӀала дӀахӀоттийна волу ЯӀиал. Цуьнан зудчун цӀе МаӀха яра.</verse>
				<verse number="36">ЯӀиалан дуьххьарлера кӀант Ӏабдани вара. Цул тӀаьхьа цуьнан хилла кӀентий хӀорш бара: Цура, Къуша, БаӀал, Нер, Надаб,</verse>
				<verse number="37">Гадур, Ахьъю, Закри-ЯхӀу, Микхлут.</verse>
				<verse number="38">Микхлутан кӀант вара Шемами. Уьш шайн вежаршна уллохь Ярушалаймехь бехаш бара.</verse>
				<verse number="39">Къуша Неран кӀант вара. Къушин кӀант вара Шаул. ЯхӀуната а, МалкишаӀ а, Абинадаб а, ЭшбаӀал а Шаулан кӀентий бара.</verse>
				<verse number="40">ЯхӀунатин кӀант вара Мариб-БаӀал. Ткъа Мариб-БаӀалан кӀант вара Мика.</verse>
				<verse number="41">Микин кӀентий бара: Питун, Малик, ТахьраӀ, Ахьаз.</verse>
				<verse number="42">Ахьазан кӀант вара ЯӀари. ЯӀарин кӀентий бара Ӏаламат, Ӏазмават, Зимари. Зимарин кӀант вара Муца.</verse>
				<verse number="43">Муцин кӀант вара БинӀа. БинӀин кӀант вара Рапи-ЯхӀу. Рапи-ЯхӀун кӀант вара ЭлиӀаса. Ацала ЭлиӀасан кӀант вара.</verse>
				<verse number="44">Ацалин ялх кӀант вара. Церан цӀераш хӀорш яра: Ӏазрикхам, Бохру, ИсмаьӀал, ШаӀар-ЯхӀу, Ӏабди-ЯхӀу, Хьанан. Уьш Ацалин кӀентий бара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="10">
				<verse number="1">ПӀелаштамхой Исраилан халкъана дуьхьал тӀом беш бара. ТӀаккха и тӀом бечу хенахь исраилхой пӀелаштамхойх бевдира. Дукха исраилхой хӀаллакьхилира цу тӀамехь. Иза дара ГилбаӀ олучу лам тӀехь.</verse>
				<verse number="2">ТӀаккха пӀелаштамхой Шаул-паччахьна а, цуьнан кӀенташна а тӀаьхьабевлира. Цу тӀамехь цара вийра Шаулан кӀентех кхо кӀант: ЯхӀуната, Абинадаб, МалкишаӀ.</verse>
				<verse number="3">Шаулна гонах болу тӀом чӀагӀбелира. СекхаӀад кхоссархоша, Шаул волчу агӀор пхерчий а кхиссина, къиза чевнаш йира цунна.</verse>
				<verse number="4">ТӀаккха шен герз лелош волчуьнга Шаула элира: «Хьайн тур баттара а даккхий, иза суна а Ӏоттий, вехьа со, оцу сунтбаза болчу пӀелаштамхошка со сийсазвоккхуьйтучул». Амма герзлелориг, ша дукха кхераваларна, ца хӀоьттира иза дан. ТӀаккха, шен тур схьа а даьккхина, цу туьрана тӀе вогӀавелира Шаул.</verse>
				<verse number="5">Ткъа герзлелориг, Шаул-паччахь велла хилар шена гича, ша а, шен туьра тӀе а вогӀавелла, велира.</verse>
				<verse number="6">Иштта велира Шаул-паччахь. Цуьнан кӀентех кхо кӀант а, цуьнан цӀийнах мел верг а цуьнца цхьаьна велира.</verse>
				<verse number="7">ТӀаккха, Шаул-паччахь а, цуьнан кӀентий а беллий а хиъна, иштта берриг тӀемалой дӀабовдуш а гина, тогӀи чохь болу исраилхой, шайн ярташ а йитина, дӀасабевдира. Ткъа пӀелаштамхой, церан ярташка а баьхкина, баха охьахевшира.</verse>
				<verse number="8">ШолгӀачу дийнахь пӀелаштамхой беллачарна тӀера мехала йолу хӀуманаш схьаяха бахара. ГилбаӀ-лам тӀе баьхкинчу царна Шаул-паччахьан а, цуьнан кӀентийн а декъий карийра Ӏохкуш.</verse>
				<verse number="9">ПӀелаштамхоша Шаулан докъана тӀера ерриг а хӀума схьаяьккхира. ТӀаккха докъана тӀера корта а баьккхина, цуьнан герз схьа а эцна, шайн мохк мел бу шайн цӀушна а, халкъана а хьалха шаьш динчух лаьцна дӀасадаржадайтира цара.</verse>
				<verse number="10">Цул тӀаьхьа пӀелаштамхоша Шаулан герз шайн цӀуш лаьттачу цӀенна чу диллира, ткъа цуьнан корта шайн дела ву бохучу ДагӀонан цӀийнан чохь ирхъоьллира.</verse>
				<verse number="11">ГалӀад-махкара Явеш олучу гӀалара массо адамна хезира пӀелаштамхоша Шаулна динчух лаьцна.</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха цигахь бехаш болчу майрачу наха Шаулан а, цуьнан кӀентийн а декъий, дӀа а эцна, ГалӀадера Явеш-гӀала деара. Цигахь оцу майрачу наха, и декъий ножан дитта кӀел дӀа а доьхкина, ворхӀ дийнахь марханаш кхебира.</verse>
				<verse number="13">Иштта, Везачу Эло бохург а ца деш, Цунна муьтӀахь ца хиларна, хӀаллакьхиллера Шаул-паччахь. Везачу Эло аьлларг а ца деш, жинашца тайна йолчу зудчух дагавала ваханера Шаул.</verse>
				<verse number="14">Шаула Веза Эла ца лоьхура дагавала. Цундела и бахьана долуш Шаул валийтира Везачу Эло. Ткъа цуьнан пачхьалкхана тӀехь деш долу олалла Юшайн кӀентан Даудан кара дӀаделира Цо.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="11">
				<verse number="1">ТӀаккха берриг а исраилхой, гул а белла, Дауд волчу Хьеврон-гӀала баьхкира. Цара элира Дауде: «Тхо хьан дегӀ а, цӀий а ду.</verse>
				<verse number="2">ДӀаяханчу хенахь, Шаул паччахь волуш дуьйна а, тӀамехь исраилхой кӀелхьарбохура ахьа. Хьан Везачу Дала элира хьоьга: „Дауд, хьо хир ву Сан Исраилан халкъан Ӏу. Хьо хир ву Сан Исраилан халкъан баьчча“».</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха Исраил-махкара берриг а къаной Дауд волчу Хьевроне баьхкира. Ткъа Дауда Хьевронехь къаношца барт бира Везачу Элана хьалха. Къаноша Дауд Исраил-мехкан паччахь хилар дӀакхайкхийра, Шамъал-пайхамарехула Дала ма-аллара.</verse>
				<verse number="4">Шеца берриг исраилхой а буьгуш, Дауд Ярушалайме вахара. Оцу заманахь Ярушалаймах Явсай-гӀала олура. Ткъа цигахь Ӏаш болчу нахах явсайхой олура.</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха явсайхоша Дауде элира: «Тхан гӀали чу вогӀур вац хьо». Амма Дауда дӀалецира церан Цийон-гӀалин гӀап. Оцу меттигах цул тӀаьхьа Даудан гӀала элира.</verse>
				<verse number="6">Дауда аьллера: «Уггар хьалха тӀе а летта, явсайхой хӀаллакбиннарг тӀемалойн баьчча а, коьрта хьаькам а хир ву». ТӀаккха Царуятан кӀант Йоаб массарал а хьалха явсайхошна тӀелетира. Иштта цунах хилира берриг а тӀемалойн коьрта хьаькам.</verse>
				<verse number="7">Дауд цу чӀагӀйинчу гӀали чохь ваха охьахиира, цундела цу гӀаланах «Даудан гӀала» элира.</verse>
				<verse number="8">Цу гӀалина гонах гобаьккхина гӀишлош дӀахӀиттийра Дауда. Уьш дӀахӀиттийнера Милло олучу гу тӀера дуьйна, гӀалина гонах долчу пенашна тӀе кхаччалц. Ткъа гӀалара важа йолу гӀишлош Йоаба тӀейинера.</verse>
				<verse number="9">Даудан ницкъ кхин а хьалаболуш лаьттара, массо а ницкъийн Веза Эла цуьнца хиларна.</verse>
				<verse number="10">Иштта Даудан тӀемалошна юкъахь а бара къаьсттина майра нах. Ерриг а Даудан пачхьалкхехь болчу исраилхошца, дика накъосталла а деш, Везачу Эло ма-аллара, цуьнан Исраил-махка тӀехь долу паччахьалла чӀагӀдеш бара уьш.</verse>
				<verse number="11">ТӀамехь тӀемалошна юкъахь шайн майраллица къаьстинчеран цӀераш иштта яра: Ткъе иттанна юкъара коьртаниг вара Хьахманин кӀант ЯшбаӀам. ЯшбаӀама цхьана тӀеман къовсамехь кхо бӀе стаг вийнера шен гоьмукъца.</verse>
				<verse number="12">Цул тӀаьхьа вара ахьохьахо волчу Додин кӀант ЭлиӀазар, иза майрачу кхаанна юкъахь а майраниг вара.</verse>
				<verse number="13">ЭлиӀазар вара цкъа Даудаца пӀелаштамхой тӀом бан тӀегулбеллачу Пасдамим олучу меттигехь. Цу арахь бийна мукх бара. Цигара исраилхой, пӀелаштамхойх кхера а белла, дӀабевддера.</verse>
				<verse number="14">ЭлиӀазара, шен тӀемалошца дӀа а хӀоьттина, и аре ларъеш, тӀом бира. Цара толам баьккхира пӀелаштамхошна тӀехь. Везачу Эло иштта доккха-деза кӀелхьардовлар делира исраилхошна.</verse>
				<verse number="15">Оцу ткъе итт баьччанна юкъара кхин кхо турпалхо, Дауд волчу тарх тӀе а ваьлла, Ӏадулам олучу хьехана чу велира. Ткъа пӀелаштамхой репахойн тогӀи олучу меттигехь бара.</verse>
				<verse number="16">Цу хенахь Дауд шен чӀагӀонан меттигехь вара, ткъа пӀелаштамхошна ха деш болу тӀемалой Байтлахам-гӀалахь бара.</verse>
				<verse number="17">Дауд чӀогӀа хьогах вара. ТӀаккха цо элира: «Байтлахам-гӀалин кевнера гӀу чуьра хи цхьаммо малор делахьара суна!»</verse>
				<verse number="18">ТӀаккха майра кхо тӀемало, пӀелаштамхойн меттаматтехула чекх а ваьлла, Байтлахаман цу кевнехь йолчу гӀу чуьра хи а эцна, иза Даудана а дахьаш, схьавеара. Амма Даудана и хи мала ца лиира. Цо и хи, сагӀина санна, Везачу Элана хьалха лаьтта охьадоьттира.</verse>
				<verse number="19">ТӀаккха Дауд-паччахьо элира: «Веза Эла, иза дарх ларвелахь со! Шайн синош ца кхоийначу кху къонахийн цӀий мер дара ткъа аса?» ХӀунда аьлча, шайн дахарна кхерам боллушехь, деанера цара и хи. Цундела ца лиира Дауд-паччахьна и хи мала. Иштта хӀума динера оцу майрачу кхаа тӀемалочо.</verse>
				<verse number="20">Йоабан ваша Абушай вара оцу кхаа тӀемалочунна юкъахь коьртаниг. Абушайс шен гоьмукъца кхо бӀе мостагӀа вийнера. Оцу кхаа турпалхочунна юкъахь иза лараме верг вара.</verse>
				<verse number="21">Оцу кхаанна юкъахь гӀараваьлла вара Абушай. Иза церан баьчча а хилира, амма вукху уггар майрачу кхаа тӀемалочуьнга ца кхочура Абушай.</verse>
				<verse number="22">ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу шен майраллица а, ша дечу гӀуллакхашца а чӀогӀа гӀараваьлла стаг вара. Иза ша Къабциал-юьртара вара. Оцу БенъяхӀус Муаби-махкара гӀараваьлла волу ши баьчча вийнера. Цкъа, ло диллинчу хенахь, цо, саьнгар чу а ваьлла, цу чохь лом дийнера.</verse>
				<verse number="23">Пхи дол хиллал лекха а волуш, онда дегӀ а долуш волу мисархо а вийра БенъяхӀус кхин а. КӀади деш йолчу чорхан гӀуркх санна, чӀогӀа беза а, беха а болуш гоьмукъ бара оцу мисархочун карахь. Ткъа БенъяхӀус, карахь гӀаж а йолуш, мисархочунна тӀе а вахана, катоьхна цуьнгара и гоьмукъ схьа а баьккхина, оцу мисархочун шен гоьмукъца вийра иза.</verse>
				<verse number="24">Иштта гӀуллакхаш динера ЯхӀу-ЯдаӀан кӀанта БенъяхӀус. И важа кхо турпалхо санна, гӀараваьлла вара БенъяхӀу а.</verse>
				<verse number="25">Иза а оцу майрачу ткъе итт тӀемалочунна юкъахь гӀараваьлла вара, амма кхаа турпалхочунна юкъа ца вогӀура БенъяхӀу. Дауда шен ха деш болчарна юкъахь коьртаниг вина дӀахӀоттийнера БенъяхӀу.</verse>
				<verse number="26">Ткъа коьрта волу ткъе итт тӀемало хӀара вара: Йоабан ваша ӀасахӀал, Байтлахам-гӀалара Додин кӀант Элхьанан,</verse>
				<verse number="27">ХӀарар-гӀалара Шамати, пеланхо волу Хьелац,</verse>
				<verse number="28">такхоӀхо волчу Ӏакхешан кӀант Ӏира, Ӏанатотхо Абу-Ӏезар,</verse>
				<verse number="29">хьушатхо волу Субахи, ахьохьахо Ӏилай,</verse>
				<verse number="30">натӀупатхо Махьран, натӀупатхо волу БаӀнин кӀант Хьалид,</verse>
				<verse number="31">Ребин кӀант Ита, бен-яманхойн ГебаӀ-гӀалара волу, пӀарӀатунхо волу БенъяхӀу,</verse>
				<verse number="32">ГаӀаш-тогӀенашкара Хьурай, Ӏарбатера Абуал,</verse>
				<verse number="33">бахьрумхо Ӏазмават, шаӀалбанхо Элияхьба,</verse>
				<verse number="34">гизанхо волчу ХӀашеман кӀентий, ШагӀин кӀант ЯхӀуната, хӀарархо волу,</verse>
				<verse number="35">хӀарархо волчу Сакаран кӀант Ахьиам, Урин кӀант ЭлипӀал,</verse>
				<verse number="36">Махерат-гӀалара Хьепар, пеланхо АхьъяхӀу,</verse>
				<verse number="37">кармалхо волу Хьецари, Эзбайн кӀант НаӀрай,</verse>
				<verse number="38">Натин ваша Юал, ХӀагиран кӀант Мибхьар,</verse>
				<verse number="39">Ӏамминхо Цалакх, баировтхо Нахьрай, Царуятан кӀентан Йоабан герз лелош верг,</verse>
				<verse number="40">итархо волу Ӏира, итархо ГӀараб,</verse>
				<verse number="41">хьетахо УръяхӀу, Ахьлайн кӀант Забад,</verse>
				<verse number="42">ша раабанхо волу а, раабанхой болчу тӀемалойн коьртехь волу а Шизин кӀант Ӏадна. Цуьнан а вара кхин ткъе итт тӀемало.</verse>
				<verse number="43">Кхин а МаӀхин кӀант Хьанан, матнахо волу Яшпати,</verse>
				<verse number="44">Ӏаштаратхо волу Ӏуззи, ӀаруӀерхо волчу Хьотаман кӀентий: ШамаӀ, ЯӀиал,</verse>
				<verse number="45">Шимрин кӀант ЕдиӀаал, тайцахо волу цуьнан ваша Йохьа,</verse>
				<verse number="46">Махьвим-гӀалара Элиал, ЭлнаӀаман кӀентий Ярибай, Юшав-ЯхӀу, иштта муабахо волу Итма,</verse>
				<verse number="47">мецабайхой болу Элиал, Ӏабади, ЯӀсаал.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="12">
				<verse number="1">Дауд Къушин кӀантах Шаулах къайлаваьлла лелачу хенахь, Даудаца цхьаьнакхетта ЦакхелагӀ-гӀала баьхкинарш хӀорш бу (тӀамехь Даудана гӀо деш болчу турпалхошна юкъахь бара уьш,</verse>
				<verse number="2">Бен-Яманан тӀаьхьенах а болуш, карахь секхаӀедаш а долуш, аьтту я аьрру куьйга ширдолаг лелош я пхерчий кхуьссуш болу Шаулан гергарнаш бара уьш):</verse>
				<verse number="3">царах коьртаниг волу АхьиӀазар а, иштта ЮӀаш а (уьш бара гебаӀхо волчу ШемаӀин кӀентий); Ӏазмаватан кӀентий Язиал, Пелат; Барха а, Ӏанатотхо ЯхӀу а;</verse>
				<verse number="4">ткъе итт тӀемалочунна тӀехь хьаькам а волуш, царна юкъахь доьналла хиларца къаьстина хилла волу гавӀонхо ИшмаӀ-ЯхӀу; Ярми-ЯхӀу, Яхьазиал, Йохьан, гадирахо волу Юзабди,</verse>
				<verse number="5">Эли-Ӏузай, Еримати, БаӀал-ЯхӀу, Шамар-ЯхӀу, хьарупхо волу Шапат-ЯхӀу;</verse>
				<verse number="6">кхорахьахой болу Элкхан, Йиши-ЯхӀу, Ӏазариал, ЮӀзар, ЯшбаӀам;</verse>
				<verse number="7">гадурхочун Ярохьаман кӀентий болу ЮӀела, Забди-ЯхӀу.</verse>
				<verse number="8">Гадахойх цхьаберш Даудехьа бевлира, яьссачу аренгахь йолчу цуьнан чӀагӀоне а баьхкина. Уьш бара майра турпалхой, тӀом бан кийча болу тӀемалой, карахь турсашший, гоьмукъашший а долуш. Церан, лоьмийн санна, яххьаш яра. Уьш, ламанан лунаш санна, чехка а бара.</verse>
				<verse number="9">Царах коьртаниг — Эзар, шолгӀаниг — Ӏабди-ЯхӀу, кхозлагӀниг — Элиаб,</verse>
				<verse number="10">воьалгӀаниг — Мишмана, пхоьалгӀаниг — Ярми-ЯхӀу,</verse>
				<verse number="11">йолхалгӀаниг — Атай, ворхӀалгӀаниг — Элиал,</verse>
				<verse number="12">борхӀалгӀаниг — Йохьанан, уьссалгӀаниг Эли-Забда,</verse>
				<verse number="13">уьтталгӀаниг — Ярми-ЯхӀу, цхьайтталгӀаниг — Махбанай вара.</verse>
				<verse number="14">Гадахойх болу уьш тӀеман хьаькамаш бара: лахарниг — бӀе тӀемалочунна тӀехь, ткъа лакхарниг — эзарна тӀехь.</verse>
				<verse number="15">Уьш бара Йордан-хи дистина догӀуш хиллачу дуьххьарлерчу баттахь, хих чекх а бевлла, цу тогӀи чохь бехаш хилла болу, массо а нах малхбалехьа а, малхбузехьа а дӀалелхийнарш.</verse>
				<verse number="16">Иштта, Даудан чӀагӀонна тӀе баьхкира Бен-Яманан а, ЯхӀудан а тӀаьхьенах болу нах.</verse>
				<verse number="17">Дауда, царна дуьхьал ара а ваьлла, элира: «Нагахь санна шу, суна гӀо дан а лууш, со волчу машарца даьхкинехь, хуьлийла сан шуьца деган цхьаалла. Амма, нагахь санна, суна ямартло а йина, сан мостагӀийн кара со дӀавала шу даьхкинехь, сан куьйгаш къинойх цӀена делахь а, вайн дайн Дала, шуна дагадеанарг а гина, дан дезарг Ша дойла шуна».</verse>
				<verse number="18">Ткъе итт тӀемалочунна тӀехь хьаькам волчу Ӏамсайна тӀе Делан Са доьссира. ТӀаккха цо элира: «Тхо хьоьгахьа девлла, Дауд, хьоьца ду тхо, Юшайн кӀант! Боккха машар хуьлда хьуна, машар хуьлда хьан гӀоьнчашна а, хӀунда аьлча хьан Дела хьоьгахьа ву». Дауда уьш, тӀе а эцна, эскаран коьрте дӀахӀиттийра.</verse>
				<verse number="19">Маннашан тайпанах болу цхьаболу нах Даудехьа бевлира, Дауд пӀелаштамхошца цхьаьна Шаулна дуьхьал тӀом бан воьдучу хенахь. (Амма Дауда пӀелаштамхошна гӀо ца дина, хӀунда аьлча пӀелаштамхойн куьйгалхоша, вовшашна юкъахь барт а бина, дӀавахийтина хилла иза, ишттачу дешнашца: «Вайн нах а байина, иза шен паччахь волчу Шаулехьа вер ву».)</verse>
				<verse number="20">Дауд ЦакхелагӀе юхавоьрзучу хенахь цуьнгахьа бевлла маннашхой хӀорш бара: Аднахь, Юзабди, ЕдиӀаал, Микаал, Юзабди, ЭлихӀу, Цилтай. Уьш маннашхойн эзарна тӀехь болу хьаькамаш бара.</verse>
				<verse number="21">Цара талорхойн тобанашна дуьхьал латта гӀо дора Даудана, хӀунда аьлча уьш берриш а доьналла долу хьаькамаш бара эскарехь.</verse>
				<verse number="22">ХӀора дийнахь Даудана гӀо дан нах тӀеэхарна, Делан эскаре кхоччуш, чӀогӀа алсамделира цуьнан эскар.</verse>
				<verse number="23">Везачу Эло аьлла ма-хиллара, Шаулан пачхьалкх Даудан кара дӀаялархьама Дауд волчу Хьевроне баьхкинчу тӀемалойн тобанийн барамаш иштта бу:</verse>
				<verse number="24">ЯхӀудан тӀаьхьенах, карахь турс а, гоьмукъ а болуш волу, тӀамана кийча волу ялх эзар бархӀ бӀе стаг (6800);</verse>
				<verse number="25">ШимӀин тӀаьхьенах доьналла долуш волу ворхӀ эзар цхьа бӀе тӀемало (7100);</verse>
				<verse number="26">Левихойн тӀаьхьенах — виъ эзар ялх бӀе стаг (4600);</verse>
				<verse number="27">АхӀаронан тукхаман баьчча волу ЯхӀу-ЯдаӀа а, цуьнца волу кхо эзар ворхӀ бӀе стаг а (3700);</verse>
				<verse number="28">Майра къонах волу тӀемало ЦӀадукъа а, цуьнан доьзалера волу ткъе ши хьаькам а;</verse>
				<verse number="29">Бен-Яманан тӀаьхьенах волу а, Шаулан гергарчу нахах волу а кхо эзар (3000) стаг (царах дукхахберш хӀетталц Шаулан цӀенна тешаме биснера);</verse>
				<verse number="30">Эпрайман тӀаьхьенах волу, шайн тукхамашкахь цӀе яххана волу, доьналла долуш волу ткъа эзар бархӀ бӀе стаг (20800);</verse>
				<verse number="31">Маннашан ахтайпанах берхӀитта эзар (18000) стаг (уьш хӀорра а леррина схьакъастийнера, Даудаца дӀа а бахана, иза паччахь дӀахӀоттавайтархьама);</verse>
				<verse number="32">Иссарханан тӀаьхьенах волу ши бӀе баьчча а, царна муьтӀахь болу массо а гергара нах а (уьш заманах кхеташ а, Исраилан халкъо дан дезарг хууш а нах бара);</verse>
				<verse number="33">Забулан тайпанах схьакъастийна волу, массо а тайпана герз карахь а лелош, тӀамана кийча волу а, Даудана гӀо дарна тӀехь цхьа барт болу а шовзткъе итт эзар стаг (50000);</verse>
				<verse number="34">Напталан тайпанах волу эзар хьаькам а, цаьрца цхьаьна карахь турсаш а, гоьмукъаш а долу ткъе вуьрхӀитта эзар тӀемало а (37000);</verse>
				<verse number="35">Данан тайпанах тӀамана кийча волу ткъе бархӀ эзар ялх бӀе стаг (28600);</verse>
				<verse number="36">Ашаран тӀаьхьенах тӀамана кийча волу шовзткъа эзар тӀемало (40000);</verse>
				<verse number="37">Йордан-хина дехьа агӀор долчу раабанхойн а, гадахойн а тайпанех а, Маннашан ахтайпанах а волу массо а тайпана герз карахь долу цхьа бӀе ткъа эзар стаг (120000).</verse>
				<verse number="38">ТӀамана кечвина волу массо а тӀемало доггах веара Хьеврон-гӀала, Дауд дерриг а Исраилан халкъана тӀехь паччахь дӀахӀотторхьама. Кхиболу массо а исраилхой а цхьа барт болуш бара Дауд паччахь дӀахӀотторна тӀехь.</verse>
				<verse number="39">Дауд волчохь юуш-молуш кхо де даьккхинера цара, хӀунда аьлча церан гергарчу наха массо а тайпана юург-мерг кечйинера царна.</verse>
				<verse number="40">Церан уллора болчу а, ур-атталла генахь болчу иссарханхойн а, забулхойн а, напталхойн а тайпанех болчу наха а варраш тӀехь, эмкалш тӀехь, бӀарзанаш тӀехь, стерчаш тӀехь иштта кхача беара: дама, инжираш, кишмаш, чагӀар, зайтдаьтта, дуккха а жа, даьхни, хӀунда аьлча Исраилан халкъана хазахетар хиллера.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="13">
				<verse number="1">Массо а баьччанех — эзарна тӀехь болчу хьаькамех а, бӀенна тӀехь болчу хьаькамех а — дагавелира Дауд.</verse>
				<verse number="2">Исраилхойн массо а гуламе Дауда элира: «Нагахь шуна иза дика а хетахь, нагахь иза вайн Везачу Делан лаамехь а делахь, Исраилан махкарчу массо а меттера кхиболчу вайн гергарчарна а, шайн дежийлашна уллохь йолчу гӀаланашкахь болчу динан дайшна а, левихошна а тӀе нах бохуьйтур бу вай, халкъ схьагулде аьлла.</verse>
				<verse number="3">Вай вешан Делан тӀорказ схьадахьар ду, хӀунда аьлча Шаулан заманчохь вай цуьнгахула Делах дага ца довлура».</verse>
				<verse number="4">Массо а гуламо элира: «Хуьлийла иза иштта!» ХӀунда аьлча массо а халкъана и гӀуллакх нийса хийтира.</verse>
				<verse number="5">Иштта Дауда схьагулбира массо а исраилхой, Мисар-махкана уллохь долчу Шихьор-хина тӀера къилбаседехьа йолчу Хьамат-Ӏинна тӀе кхаччалц, Кхиръят-ЯӀаримера Делан тӀорказ схьадархьама.</verse>
				<verse number="6">Дауд а, цуьнца долу дерриг а Исраилан халкъ а ЯхӀуд-махкарчу БаӀала-гӀала (и ю Кхиръят-ЯӀарим-гӀала) дахара, Делан тӀорказ цигара схьадан. (Цу тӀорказца йоьзна ю Везачу Элан цӀе. ТӀорказан негӀар тӀехь дина дӀахӀоттийна дашо ши каруб-малик ду. Царна тӀехула ю Везачу Элан меттиг.)</verse>
				<verse number="7">Иштта Делан тӀорказ, керлачу ворданна тӀе а диллина, Абинадабан цӀера дӀадаьхьира. Ӏузий, Ахьъюй и ворда лелош вара.</verse>
				<verse number="8">Ткъа Дауда а, массо а исраилхоша а Далла хьалха, шайн ницкъ мел бу эшарш а лоькхуш, тайп-тайпанчу дечиг-пондаршца а, жиргӀанашца а, негӀарш вовшахдеттарца а, турбанашца а мукъам балабора.</verse>
				<verse number="9">Уьш Кидунан хьаьтта дӀакхаьчча, Ӏузас, куьг дӀа а кховдийна, Делан тӀорказ схьалецира, стерчаша иза агӀордаьккхина дела.</verse>
				<verse number="10">Амма Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара Ӏузина. Везачу Эло Ӏуза вийра, цо, куьг дӀа а кховдийна, Делан тӀорказ схьалацарна. Иза циггахь Далла хьалха велира.</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха Дауд чӀогӀа оьгӀазвахара, Везачу Эло Ӏузина тохар бахьана долуш. И меттиг хӀинца а «Парас Ӏуза» олуш ю (иза «Ӏузина тохар» бохург ду).</verse>
				<verse number="12">Цу дийнахь Дауд кхеравелира Делах. Дауда элира: «Со волчу муха дӀахьур ду аса Делан тӀорказ?»</verse>
				<verse number="13">Иштта, и тӀорказ ша волчу, Даудан гӀала, дӀа ца даьхьира Дауда. Цо иза гатихо волчу Ӏабади-Эдоман цӀа дӀадаьхьира.</verse>
				<verse number="14">Кхаа баттахь лаьттира Делан тӀорказ Ӏабади-Эдоман цӀахь. Ӏабади-Эдоман цӀа а, цуьнан мел йолу хӀума а Везачу Эло декъалйира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="14">
				<verse number="1">Цора-гӀалин паччахьо Хьирама геланчаш хьажийна хилла Даудана тӀе, цаьрца баганан дечиг а дохьуьйтуш, тӀулг буттурш а, дечиган пхьераш а бохуьйтуш, цаьрга Даудана паччахьан цӀа дайтархьама.</verse>
				<verse number="2">ТӀаккха кхийтира Дауд, Везачу Эло ша исраилхойн паччахьан даржехь чӀагӀвинийла а, Цо хаьржина долчу Исраилан халкъан дуьхьа шен паччахьалла чӀогӀа айинийла а.</verse>
				<verse number="3">Ярушалаймехь волуш, Дауда шена кхин а зударий балийра. Кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира цуьнан.</verse>
				<verse number="4">Даудана Ярушалаймехь динчу берийн цӀераш иштта яра: ШамуӀ, Шубаб, Ната, Сулим,</verse>
				<verse number="5">Ибхьар, Эли-ШуӀа, Эли-Палати</verse>
				<verse number="6">НугӀахӀи, Непаг, ЯпияӀ,</verse>
				<verse number="7">Эли-ШамаӀ, БаӀал-ЯдаӀ, Эли-Пулат.</verse>
				<verse number="8">ПӀелаштамхошна Дауд дерриг а Исраилан халкъана тӀехь паччахь хила къобалвинийла дӀахиъча, уьш берриш а иза лаха арабевлира. Ткъа Дауд, шена и хезча, царна дуьхьалвала аравелира.</verse>
				<verse number="9">Ткъа пӀелаштамхой, схьа а баьхкина, Репайм олучу тогӀи чохь нахана тӀелетира.</verse>
				<verse number="10">ТӀаккха Дауда Деле хаьттира: «Со пӀелаштамхошна дуьхьал вала мегий? Ахьа уьш сан кара схьалур буй те?» — аьлла. Везачу Эло жоп делира: «Мега. Аса уьш хьан кара дӀалур бу», — аьлла.</verse>
				<verse number="11">Уьш БаӀал-Паруциме бахара, цигахь Дауда пӀелаштамхой эшийра. Дауда элира: «Дистина тӀедогӀучу хино санна, Везачу Эло дӀабехира сан мостагӀий сан куьйгахула». Цундела цу меттигна, БаӀал-Паруцим аьлла, цӀе тиллира (иза «хи тӀедаларан олахо» бохург ду).</verse>
				<verse number="12">ПӀелаштамхоша цигахь шайн деланаш битира, ткъа Дауда, омра а дина, уьш цӀергахь багабайтира.</verse>
				<verse number="13">Юха а пӀелаштамхой, баьхкина, тогӀи чохь болчу нахана тӀелетира.</verse>
				<verse number="14">Дауда кхин цкъа а Везачу Эле хаттар дира, ткъа Дала цунна жоп делира: «Нийсса царна дуьхьал ара ма вала. ТӀехьахула тӀе а гӀой, комарийн дитташ долчу агӀор царна тӀелата.</verse>
				<verse number="15">Хьайна, комарийн диттийн баххьашкахула цхьаъ дӀавоьдуш санна, гӀовгӀа хазахь, тӀом бан аравала. Цунах хьуна хуур ду, Дела, хьуна хьалха а ваьлла, пӀелаштамхойн эскар хӀаллакдан воьдийла».</verse>
				<verse number="16">Дауда Везачу Эло шена тӀедиллинарг кхочушдира. Цара пӀелаштамхойн эскар ГавӀон-гӀалара дуьйна ГӀазар-гӀалина тӀекхаччалц хӀаллакдира.</verse>
				<verse number="17">Иштта, массо а мехкашкахула цӀе яхара Даудан. Массо а халкъаш цунах кхоьруш дӀахӀиттийна хилла Везачу Эло.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="15">
				<verse number="1">«Даудан гӀалахь» шена цӀенош дайтира Дауда. ТӀаккха цо, Делан тӀорказ дӀахӀотто меттиг кеч а йина, цунна лерина четар дӀахӀоттийра.</verse>
				<verse number="2">Цул тӀаьхьа Дауда элира: «Левихой боцучу кхечара цхьаммо а лелор дац Делан тӀорказ, хӀунда аьлча Везачу Эло уьш хаьржина Шен тӀорказ лело а, цаьрга абаденналц Шена гӀуллакх дайта а».</verse>
				<verse number="3">Везачу Элан тӀорказ ша кечйинчу метте дӀадахьийтархьама, берриг а исраилхой Ярушалайме схьагулбира Дауда.</verse>
				<verse number="4">АхӀаронан тӀаьхье а, левихой а шена тӀекхайкхира цо. Уьш хӀорш бара:</verse>
				<verse number="5">кхахӀатхойн тӀаьхьенан баьчча волу Уриал а, цуьнца царах волу цхьа бӀе ткъа стаг а (120);</verse>
				<verse number="6">мерарихойн тӀаьхьенан баьчча хилла волу Ӏаси-ЯхӀу а, цуьнца царах волу ши бӀе ткъа стаг а (220);</verse>
				<verse number="7">гӀиршанхойн тӀаьхьенах баьчча хилла волу Юал а, цуьнца царах волу цхьа бӀе ткъе итт стаг а (130);</verse>
				<verse number="8">эли-цапанхойн тӀаьхьенан баьчча хилла волу ШамӀа-ЯхӀу а, цуьнца царах волу ши бӀе стаг а (200);</verse>
				<verse number="9">хьевронхойн тӀаьхьенан баьчча хилла волу Элиал а, цуьнца царах везткъа стаг а (80);</verse>
				<verse number="10">Ӏузиалхойн тӀаьхьенан баьчча хилла волу Ӏамминадаб а, цуьнца царах цхьа бӀе шийтта стаг а (112).</verse>
				<verse number="11">Иштта Дауда шена тӀе кхайкхира динан дай ЦӀадукъа а, Абу-ЯтӀари а, ткъа левихойх — Уриал, Ӏаси-ЯхӀу, Юал, ШамӀа-ЯхӀу, Элиал, Ӏамминадаб.</verse>
				<verse number="12">Дауда цаьрга элира: «Шу левихойн доьзалийн баьччанаш ду. Шу шаьш а, шун вежарий а Далла хьалха цӀан а ло, аша Исраилан халкъан Везачу Делан тӀорказ схьа а да. Аса дӀахӀотто кечйинчу метте дӀахӀоттаде иза.</verse>
				<verse number="13">Левихой долчу аша дуьххьара Делан тӀорказ шаьш ца лелийна дела, вайн Веза Дела чӀогӀа оьгӀазвахара. И гӀуллакх муха дан деза аьлла, вай дага ма ца девллера Цунах».</verse>
				<verse number="14">ТӀаккха Исраилан халкъан Везачу Делан тӀорказ схьадархьама, динан дай а, левихой а Далла хьалха цӀанбелира.</verse>
				<verse number="15">Везачу Эло Мусагахула тӀе-ма-диллара, левихоша Делан тӀорказ шайн белшашна тӀедехкинчу хьокхашца дӀадаьхьира.</verse>
				<verse number="16">Дауда левихойн баьччанашка омра дира, левихойн тайпанах илланчаш дӀахӀиттабе аьлла, мукъам балочу гӀирсашца — мерз-пондаршца а, дечиг-пондаршца а, вовшахдеттачу негӀаршца а — иштта айдинчу озаца а цаьрга иллеш алийтархьама.</verse>
				<verse number="17">Левихоша дӀахӀоттийра Юалан кӀант ХӀайман а, цуьнан гергарчарах волчу Берех-ЯхӀун кӀант Асайп а. Ткъа мерарихойн тукхамах — Кхуша-ЯхӀун кӀант волу Этан дӀахӀоттийра.</verse>
				<verse number="18">Иштта церан кхиболу гергарнаш а дӀахӀиттийра: Закри-ЯхӀу, Бени, ЯӀзиал, Шамирамути, Яхьиал, Ӏуни, Элиаб, БенъяхӀу, МаӀсей-ЯхӀу, Маттит-ЯхӀу, Эли-ПалехӀу, Макхни-ЯхӀу, Ӏабади-Эдом, ЯӀиал. Уьш кевнехь гӀаролхой бара.</verse>
				<verse number="19">ХӀаймана а, Асайпа а, Этана а цӀестан негӀаршца чӀоггӀа мукъам бало дезара.</verse>
				<verse number="20">Ткъа Закри-ЯхӀус, Ӏазиала, Шамирамутис, Яхьиала, Ӏунис, Элиаба, МаӀсей-ЯхӀус, БенъяхӀус лекхачу озаца мерз-пондарш лакха дезара.</verse>
				<verse number="21">Иштта, лохачу озаца а локхуш, дечиг-пондаршца мукъам бало безара Маттит-ЯхӀус, Эли-ПалехӀус, Макхни-ЯхӀус, Ӏабади-Эдома, ЯӀиала, Азаз-ЯхӀус.</verse>
				<verse number="22">ТӀаккха левихойн баьчча волу Ханан-ЯхӀу, цуьнан корматалла йолу дела, илланчашна тӀехь куьйгалхо дӀахӀоттийра.</verse>
				<verse number="23">Берех-ЯхӀу а, Элкхан а бара бертан тӀорказ дӀахӀоттийначу цӀа чохь неӀарехь гӀарол деш.</verse>
				<verse number="24">Динан дайша Шабан-ЯхӀус, Яшпатис, Натунаила, Ӏамсайс, Закри-ЯхӀус, БенъяхӀус, ЭлиӀазара Делан тӀорказна хьалха турбанаш локхура. Ткъа Ӏабади-Эдом а, Яхьи-ЯхӀу а тӀорказ долчохь гӀарол деш вара.</verse>
				<verse number="25">Иштта, Дауд а, исраилхойн къаной а, тӀеман коьрта хьаькамаш а баккхийберца бахара Ӏабади-Эдоман цӀа чуьра Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ дӀадахьа.</verse>
				<verse number="26">Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ дӀахьош болчу левихошна Дала гӀо дарна, ворхӀ сту а, ворхӀ ка а сагӀина бейтира.</verse>
				<verse number="27">Даудана тӀехь а, иштта тӀорказ дӀахьош болчу массо а левихошна а, илланчашна а, илланчийн куьйгалхочунна Ханан-ЯхӀуна а тӀехь дуткъачу кӀадих йина бедарш яра. Ткъа Дауда тӀекхоьллина кхин втанан ийпад а яра.</verse>
				<verse number="28">Мерзпондаршца а, дечиг-пондаршца а мукъамаш а далош, маӀаш а, турбанаш а, цӀестан пондарш а лоькхуш, баккхийберца маьхьарий а детташ, Исраилан дерриг а халкъо Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ гӀали чу доккхура.</verse>
				<verse number="29">Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ Даудан гӀали чу доккхучу хенахь, Шаулан йоӀ Михула корах арахьоьжуш яра. Ирх а лелхаш, воккхаверца хелхавуьйлуш волу Дауд-паччахь шена гича, шен даг чохь иза цунах ца ешира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="16">
				<verse number="1">Делан тӀорказ, схьа а деана, Дауда цунна кечдинчу четар чохь охьадиллира. ТӀаккха Далла хьалха дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш дехира цара.</verse>
				<verse number="2">Ша дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш даьхна ваьллачул тӀаьхьа, Дауда Везачу Элан цӀарах халкъ декъалдира.</verse>
				<verse number="3">Массо а исраилхочунна, божаршна санна, зударшна а, цо цхьацца бепиг а, Ӏаьвдинчу хурманийн цхьацца курс а, Ӏаьвдинчу кишмашийн цхьацца курс а кховдийра.</verse>
				<verse number="4">ТӀаккха цхьаболу левихой Везачу Элан тӀорказна хьалха гӀуллакх дан дӀахӀиттийра цо, цаьрга Исраилан халкъан Везачу Далла доӀанаш дайтархьама а, баркалла алийтархьама а, хастам байтархьама а.</verse>
				<verse number="5">Царах коьртаниг Асайп вара, шолгӀаниг вара Закри-ЯхӀу, цул тӀаьхьа бара ЯӀиал, Шамирамути, Яхьиал, Маттит-ЯхӀу, Элиаб, БенъяхӀу, Ӏабади-Эдом, ЯӀиал. Уьш мерз-пондарш а, дечиг-пондарш а карахь долуш дӀахӀиттийра. Асайп дӀахӀоттийнера цӀастанан жима негӀарш вовшехдетта.</verse>
				<verse number="6">Динан дай болу БенъяхӀу а, Яхьазиал а дӀахӀиттийнера Делаца бинчу бертан тӀорказна хьалха, цаьрга массо а хенахь турба лакхийтархьама.</verse>
				<verse number="7">Цу дийнахь Дауда дуьххьара делира Асайпан а, цуьнан гергарчеран а кара Везачу Элана баркаллин дешнаш алар.</verse>
				<verse number="8">Баркалла ала Везачу Элана! Цуьнан цӀарна хастамаш бе! Довзийта халкъашна Цуьнан гӀуллакхаш.</verse>
				<verse number="9">Иллеш ала Цунна, пондарш лакха Цунна. Дерриг а Цуьнан тамашийначу гӀуллакхех лаций дӀадийца.</verse>
				<verse number="10">Дозалла де Цуьнан езачу цӀарах! Веза Эла лоьхучийн дегнаш самукъадолуш хуьлийла!</verse>
				<verse number="11">Веза Эла а, Цуьнан ницкъ а лаха, гуттар Цунна уллохь хила гӀерта.</verse>
				<verse number="12">Дагахь латтаде Цо дина тамашийна гӀуллакхаш а, Цо гайтина билгалонаш а, Цо йина кхелаш а,</verse>
				<verse number="13">ва Цуьнан ялхо хиллачу ИбрахӀиман хӀух дерш, Цо хаьржина хиллачу Якъубан тӀаьхьенах дерш!</verse>
				<verse number="14">Веза Эла волу Иза вайн Дела ву. Цуьнан кхелаш массо а лаьттахула ю.</verse>
				<verse number="15">Цо даим дагахь латтор бу Шен барт, эзаран барамехь йолчу тӀаьхьенашна Ша делла дош,</verse>
				<verse number="16">ИбрахӀимца Ша бина болу барт, Исхьакхана, чӀагӀо а еш, Ша дина ваӀда.</verse>
				<verse number="17">Цо Якъубана иза чӀагӀдира парз санна, Исраилана — гуттаренна а болу барт санна.</verse>
				<verse number="18">Цо аьллера: «Хьуна лур ду Аса канаӀанхойн латта, и дакъа хьуна шерет санна кхочур ду».</verse>
				<verse number="19">Церан терахь цу хенахь дуккха а ца хилла, кӀезиг а болуш, уьш махкахь тӀебаьхкина Ӏаш хилла.</verse>
				<verse number="20">Уьш дӀаоьхура цхьа къам долчуьра важа къам долчу, цхьана пачхьалкхера кхечу халкъан пачхьалкх йолчу.</verse>
				<verse number="21">Дала цхьанна а бакъо ца лора уьш бацо, церан дуьхьа Цо паччахьашка дӀахьедар дора:</verse>
				<verse number="22">«Ас къобалбинчарах дӀа ма хьакхалолаш, Сан пайхамаршна зулам а ма делаш».</verse>
				<verse number="23">Лакха эшарш Везачу Элана массо а дуьнено. Де дийне мел дели Цуьнан кӀелхьардахар кхайкхаде.</verse>
				<verse number="24">Къаьмнашна юкъахь Цуьнан сийлалла дӀакхайкхае, массо а халкъашка Цуьнан тамашийна гӀуллакхаш дӀадийца.</verse>
				<verse number="25">Сийлахь ву Веза Эла, Цунна хастамаш бан хьакъ а ду. Массо а деланел а Шега болчу ларамах бузуьйтуш ву Иза.</verse>
				<verse number="26">Кхечу къаьмнийн массо а деланаш — цӀуш бу, ткъа Везачу Эло стигалш кхоьллина.</verse>
				<verse number="27">Цунна гонах паччахьан сий а, исбаьхьалла а ю. Цуьнан деза цӀа ницкъах а, хазахетарх а дуьзна ду.</verse>
				<verse number="28">Къаьмнийн доьзалш, Везачу Элана хастамаш бейша! Везачу Элан сийлалла а, ницкъ а кхайкхадейша!</verse>
				<verse number="29">Везачу Элан цӀеран сийлаллина лерина кхайкхамаш бейша! СагӀанаш а дахьаш, Цуьнан цӀийнан керта чу дуьйлийша! Цо Шен возалла гойтучу хенахь Везачу Элана суждане гӀойша.</verse>
				<verse number="30">Дерриг а дуьне, дегаде Цунна хьалха! Латта чӀогӀа лаьтташ ду, ткъа иза меттахдер а дац!</verse>
				<verse number="31">Стигалш сакъералойша, латта даккхийде! ДӀаала халкъашка: «Веза Эла паччахьалла деш ву!»</verse>
				<verse number="32">ХӀордо а, цунна чохь мел долчу хӀумано а гӀовгӀа е! Кхаш а, царна тӀехь мел дерг а даккхийдеш хила.</verse>
				<verse number="33">Хьуьнхахь мел долу дитташ а даккхийдеш хир ду, Везачу Элана хьалха, хӀунда аьлча Иза вогӀуш ву, дуьненна тӀехь куьйгалла дархьама.</verse>
				<verse number="34">Баркалла ала Везачу Элана, Иза дика хиларна, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.</verse>
				<verse number="35">Алийша: «КӀелхьардахахьа тхо, КӀелхьардохург волу тхан Дела, схьа а гулдехьа, кӀелхьар а дахахьа тхо кхечу къаьмнашна юкъара, тхоьга Хьан цӀе хастаяйта а, Хьуна хастам барх тхоьга дозалла дайта а.</verse>
				<verse number="36">Хастам бу Исраилан халкъан Везачу Далла, азалехь дуьйна абаденналц!» Дерриге а халкъо элира: «Амин! Хастам бу Везачу Элана!»</verse>
				<verse number="37">Асайп а, цуьнан гергарнаш а Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказна хьалха дӀахӀиттийна битира Дауда, цаьрга массо а хенахь, хӀора а дийнан эшаре хьаьжжина, гӀуллакх дайтархьама.</verse>
				<verse number="38">Цаьрца цхьаьна цо витира Ӏабади-Эдом а, цуьнан гергарчарах волу кхузткъе ворхӀ стаг а. Ткъа Ядутунан кӀант Ӏабади-Эдом а, иштта Хьоса а кевнехь гӀарол дийраш бара.</verse>
				<verse number="39">Ткъа динан да волу ЦӀадукъа а, динан дай болу цуьнан вежарий а Дауда битира ГавӀонан гу тӀехь долчу Везачу Элан цӀа чохь.</verse>
				<verse number="40">Уьш хӀиттийнера, цаьрга дагоран сагӀа доккхучу кхерчана тӀехь массо а хенахь, Ӏуьйранна а, суьйранна а Везачу Элана дагоран сагӀанаш дахийтархьама, Везачу Эло Исраилан халкъана дӀабеллачу товрат-хьехам тӀехь яздинчу массо а хӀумане хьаьжжина.</verse>
				<verse number="41">Цаьрца цхьаьна, Везачу Элана хастамаш байтархьама, цигахь битинера ХӀайман, Ядутун, кхиболу, хӀораннан а цӀе а йоккхуш, схьахаьржина болу нах а, хӀунда аьлча Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.</verse>
				<verse number="42">ХӀайман а, Ядутун а хӀоттийнера турбанашца а, цӀастанан негӀаршца а, Далла иллеш аларна лерина болчу кхечу зурманийн гӀирсашца а мукъам балорна тӀехь. Ткъа Ядутунан кӀентий кевнехь дӀахӀиттийна бара.</verse>
				<verse number="43">Дерриге а халкъ шен-шен цӀа дирзира. Дауд а юхавирзира, шен цӀа декъалдархьама.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="17">
				<verse number="1">Шен цӀеношкахь ша вехаш Ӏачу хенахь, Дауда Ната-пайхамаре элира: «Гой хьуна, со баганан дечигах динчу паччахьан цӀа чохь Ӏаш ву, ткъа Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ четар бухахь лаьтташ ду».</verse>
				<verse number="2">Натас Дауде элира: «Хьайна дан дагадеанарг дерриг а кхочушде, хӀунда аьлча Дела хьоьца ву».</verse>
				<verse number="3">Амма цу буссехь Натига Делан дош кхечира:</verse>
				<verse number="4">«Ваха а гӀой, Сан лай волчу Дауде дӀаала, Везачу Эло иштта боху алий: „Суна чохь Ӏан цӀа ахь дийр дац,</verse>
				<verse number="5">хӀунда аьлча Исраилан халкъ Аса арадаьккхинчу хенахь дуьйна таханлера де тӀекхаччалц цӀа чохь Ӏар а доцуш, цхьана четар чуьра вукху четар чу а, цхьана меттера вукху метте а волуш, ваьлла лелара Со.</verse>
				<verse number="6">Исраилан халкъаца Со миччахьахула а лелачу хенахь халкъан тайпанашкара цхьаьнгге а, Сайн къомана тӀехь Ӏуналла дан Айса къобалвинчу куьйгалхочуьнга, хаьттиний ткъа Аса: ‘Аша Суна баганан дечигах цӀа хӀунда ца до?’ — аьлла.</verse>
				<verse number="7">Ткъа хӀинца, ваха а гӀой, Сан лай волчу Дауде дӀаала, массо а ницкъийн Везачу Эло цуьнга боху алий: ‘Аса хьо, уьстагӀий дажош волчуьра схьа а валийна, Сайн Исраилан халкъана тӀехь баьчча хӀоттийна.</verse>
				<verse number="8">Хьо миччахьа вахча а, Со массо а хенахь хьоьца хилла. Массо а хьан мостагӀий Аса хӀаллакбина. Аса дуьнен тӀехь сийлахь болчарна юкъахь а къаьсттина хьан сий хьаладоккхур ду.</verse>
				<verse number="9">Аса Сайн Исраилан халкъана меттиг билгалйоккхур а ю, орамат санна, иза дугӀур а ду, шен долахь йолу меттиг цуьнан хилийта а, цуьнга кхин са ца гатдайта а. Зуламечу наха уьш кхин хьийзор бац, юьхьанца санна,</verse>
				<verse number="10">мехкан куьйгалхой Сан къомана тӀехь Аса къобалбинчу хенахь дуьйна иза ма-хиллара. Аса хьан массо а мостагӀий кӀелбуьтур бу. Аса хаам бо хьоьга, Веза Эла волчу Айса хьуна хьан тӀаьхьенах цӀа дийр ду аьлла.</verse>
				<verse number="11">Хьан денош чекх а девлла, хьо хьан дай болчу дӀакхелхинчул тӀаьхьа, Аса меттахӀоттор ду хьан хӀу, хьан тӀаьхьенах цхьаъ паччахь а вина. Цуьнан паччахьалла чӀагӀдийр ду Аса.</verse>
				<verse number="12">Цо Суна лерина цӀа дийр ду, ткъа Аса иза а, цунах схьабевлларш а абаденналц шайн паччахьан даржехь чӀагӀбийр бу.</verse>
				<verse number="13">Со цуьнан да хир ву, иза Сан кӀант хир ву. Амма Сайн цуьнга болу безам Аса дӀабоккхур бац, хьол хьалха хиллачуьнга Сайн хилла безам Аса дӀабаьккхинехь а.</verse>
				<verse number="14">Сайн халкъана тӀехь а, Сайн пачхьалкхана тӀехь а абаденналц дӀахӀоттор ву Аса иза. Цуьнан паччахьалла гуттаренна а чӀагӀдина хир ду’“».</verse>
				<verse number="15">Дерриг и дешнаш а, шена хӀоьттина сурт а Натас ма-дарра дӀадийцира Дауде.</verse>
				<verse number="16">ТӀаккха Дауд-паччахьо, ваха а вахана, Везачу Элана хьалха дӀа а хӀоьттина, элира: «Со а мила вара, ва Веза Дела, сан цӀа а хӀун яра, Ахьа цу тайпана со даржехь лакхаваккхал?</verse>
				<verse number="17">Хьуна-м иза а кӀезиг хетта, ва Дела! Ахьа Хьайн лай волчун цӀийнах хиндерг а схьадийци. Со цхьа сийлахь-доккха адам долуш санна хьоьжу Хьо соьга, Веза Дела!</verse>
				<verse number="18">Кхин хӀун эр ду Хьоьга Дауда, Ахь Хьайн лай волчун сий лакхадаккхар бахьана долуш? Хьуна вевза-кх Хьайн лай!</verse>
				<verse number="19">Веза Эла! Хьан лай волчун дуьхьа, Хьайн деган лаамца и даккхий хӀуманаш дина-кх Ахьа, и шадерг нахана дӀа а довзуьйтуш.</verse>
				<verse number="20">Хьоьца нисван цхьа а стаг вац, Веза Эла, ткъа Хьо воцург Дела а вац, тхайн лергашна тхуна схьа-ма-хаззара.</verse>
				<verse number="21">Мичахь ду Хьан санна долу къам? Мичахь ду Исраилан санна долу халкъ? Шен дуьхьа Дела араваьлла долу къам дуьнен чохь цхьаъ бен дац. Дела аравелира, Шена и къам мехах схьаэцархьама а, Шен цӀе айархьама а, уьш бахьана долуш даккхий а, инзаре а гӀуллакхаш дархьама а. Айхьа Мисар-махкара мехах паргӀатдаьккхина долчу Хьайн къомана хьалхара важа къаьмнаш дӀалохкура Ахьа.</verse>
				<verse number="22">Ахьа Исраилан къомах массо а ханна Хьайн долахь долу къам дира, ткъа Хьо, Веза Эла, церан Дела хилла дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="23">Ткъа хӀинца, Веза Эла, Айхьа Хьайн лай волчу сох а, сан цӀийнах а лаьцна аьлла долу дош абаденналц чӀагӀдина хилийтахьа. Айхьа аьлларг кхочушдехьа,</verse>
				<verse number="24">иза билггал хилийтархьама а, массо а тӀейогӀун йолчу ханна Хьан цӀе язъяйтархьама а. ТӀаккха наха эр ду: „Массо а ницкъийн Веза Эла, Исраилан халкъана тӀехь волу Дела — Иза Исраилан халкъехьа волу Дела ву!“ Иштта Хьан лай волчу Даудан цӀа Хьуна хьалха чӀагӀделла лаьттар ду!</verse>
				<verse number="25">Ткъа Ахьа, сан Дела, Хьайн лай волчу суна дӀадилли, Айхьа суна цӀа дийриг хилар. Цундела Хьан лай волу со ваьхьира Хьуна хьалха хӀара доӀа дан.</verse>
				<verse number="26">Ва Веза Эла, Хьо Дела ма ву! Ткъа Хьайн лай волчунна иштта дика дан ваӀда дина Ахьа!</verse>
				<verse number="27">Хьан лай волчун тӀаьхье декъалъехьа, иза массо а ханна а Хьайна хьалха хилийтархьама. Веза Эла волчу Ахьа сан цӀа декъал ма дина, цундела иза массо а хенахь декъал хир ду».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="18">
				<verse number="1">Цул тӀаьхьа Дауда, пӀелаштамхошна тӀехь толам а баьккхина, уьш муьтӀахь бира. Иштта, Гати-гӀала а, цунна гонах йолу меттигаш а цо пӀелаштамхойн карара схьаехира.</verse>
				<verse number="2">Иштта, муабахой а эшийра Дауда, ткъа уьш Даудан лай хилла дӀахӀиттира, кхунна ял а луш.</verse>
				<verse number="3">Цоба-мехкан паччахь волу ХӀадад-Ӏезар Эпрат-хина йистехула Ӏохкуш долчу латтанаш тӀехь шен паччахьалла дӀахӀотто воьдучу хенахь, Хьамат-гӀалахь Дауда эшийра.</verse>
				<verse number="4">Цуьнгара цхьа эзар гӀудалкх а, ворхӀ эзар бере а, ткъа эзар гӀашло а схьаваьккхира цо. Шен гӀудалкхашна хьалха дӀайожа бӀе говр бен ца юьтуш, массо а говрийн когийн хьорзамаш хедийра цо.</verse>
				<verse number="5">Цоба-мехкан паччахь волчу ХӀадад-Ӏезарна гӀоьнна Дамасакхера арамхой баьхкира, амма Дауда ткъе шиъ эзар арамхо хӀаллаквира.</verse>
				<verse number="6">Дауда арамхой Ӏаш болчу Дамасакхехь шен эскаран цхьайолу тобанаш дӀахӀиттийра. Иштта, арамхой а Даудан лай хилла дӀахӀиттира, цунна ял а луш. Везачу Эло араволучу массо а меттера толамца цӀа воьрзуьйтура Дауд.</verse>
				<verse number="7">ХӀадад-Ӏезаран баьччанех дисина долу дашо турсаш схьа а эцна, Ярушалайме схьадеара Дауда.</verse>
				<verse number="8">ХӀадад-Ӏезаран олаллехь хиллачу ТӀивхьат-гӀалара а, Кун-гӀалара а цо дукха ез схьадаьккхира. (ТӀаьхьо цунах Сулим-паччахьо боккха цӀестан яй а, бӀогӀамаш а, пхьегӀаш а Делан цӀенна яйтира.)</verse>
				<verse number="9">Хьамат-гӀалахь паччахь волчу ТоӀина хезира, цобахойн паччахьан ХӀадад-Ӏезаран эскар Дауда эшийна аьлла.</verse>
				<verse number="10">ТӀаккха ТоӀас шен кӀант ХӀайдарам вахийтира Даудан сий дан а, цунна ХӀадад-Ӏезар эшаварна баркалла ала а, ХӀадад-Ӏезар шеца кест-кеста тӀом беш схьавеана дела. Ша Дауд волчу вогӀуш, ХӀайдарама дашо а, дато а, цӀестан а пхьегӀаш еара.</verse>
				<verse number="11">Уьш а Дауд-паччахьо Везачу Элана лерина дечу гӀуллакхна йитира, ша эшийначу къаьмнашкара — эдомхошкара а, муабахошкара а, Ӏамминхошкара а, пӀелаштамхошкара а, Ӏамалекхахошкара а — схьа мел даьккхина долу дети а, деши а санна.</verse>
				<verse number="12">Дуьра тогӀи олучу меттигехь Царуятан кӀанта Абушайс берхӀитта эзар эдомхо эшийра.</verse>
				<verse number="13">Дауда Эдомехь шен эскаран тобанаш дӀахӀиттийра, ткъа массо а эдомхо цуьнан лай хилла дӀахӀоьттира. Везачу Эло Дауд араволучу массо а меттигера толамца цӀа воьрзуьйтура иза.</verse>
				<verse number="14">Дерриг а Исраилан халкъана тӀехь паччахьалла а деш, шен халкъаца бакъо а, нийсо а лелош вара Дауд.</verse>
				<verse number="15">Царуятан кӀант Йоаб цуьнан эскаран хьаькам вара, ткъа Ахьлудан кӀант ЯхӀушапти пачхьалкхан гӀуллакхаш дӀаяздеш верг вара.</verse>
				<verse number="16">Ахьтубин кӀант ЦӀадукъа а, Абу-ЯтӀарин кӀант Ахьи-Малик а динан дай бара, ткъа Шавша йозанчин болх беш вара.</verse>
				<verse number="17">ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу кератхошний, палетхошний тӀехь хьаькам вара, ткъа Даудан кӀентий паччахьан хьехамчийн хьалхарнаш бара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="19">
				<verse number="1">Цхьа хан яьлча, Ӏамминхойн паччахь волу Нахьаш велира. Нахьашан метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Хьануни.</verse>
				<verse number="2">Дауда элира: «Нахьаш соьца дика хилла дела, со а цуьнан кӀантаца дика хир ву». Цо шен ялхой бахийтира Хьанунига кадам бан, цуьнан велла да бахьана долуш. Даудан ялхой Ӏамминхойн махка Хьануни волчу баьхкира, кадам бархьама.</verse>
				<verse number="3">Амма Ӏамминхойн элаша шайн олахочуьнга элира: «Хьуна баккъалла-м ца моьтту, Дауда хьан дега шен хилла болу ларам бахьана долуш бахкийтина хьуна тӀе хӀара догъоьцурш? ХӀан-хӀан, уьш баьхкина, хьан махкахь дерг дикка талла а теллина, цул тӀаьхьа иза бохо дагахь».</verse>
				<verse number="4">Хьанунис, Даудан ялхой схьа а лецна, хӀораннан а месаш дӀаешира, цул тӀаьхьа, царна тӀера бедарш вареш тӀе кхаччалц дӀа а хедийна, уьш дӀахийцира.</verse>
				<verse number="5">Цхьаболчу геланчаша, дӀа а бахана, оцу нахах лаьцна хабар Даудана тӀедаьхьча, шен ялхошна дуьхьал нах бахийтира Дауда, уьш чӀогӀа юьхьӀаьржачу хӀиттийна хилла дела. Паччахьо цаьрга хабар дахьийтира: «Шайн мажош яхъяллалц Ерихонехь совца. Цул тӀаьхьа цӀа догӀур ду шу», — аьлла.</verse>
				<verse number="6">Шаьш Даудана, лаьхьанна тоьхна гӀаж санна, боьха хетийла хиъча, Ӏамминхоша а, Хьанунис а ши эзар пунт дети дахьийтира Арам-НахӀарайма а, Арам-МаӀха а, Цоба-махка а, цигара гӀудалкхаш а, дошлой а шайна лацархьама.</verse>
				<verse number="7">Иштта, ткъе шийтта эзар гӀудалкх а, МаӀхин паччахь а цуьнан эскарца мехах лецира шайна Ӏамминхоша. ХӀорш схьабаьхкича, Мейдеба-гӀалина уллохь меттамотт дӀахӀоттийра. Ӏамминхой, шайн гӀаланашкара схьа а гулбелла, тӀом бан арабевлира.</verse>
				<verse number="8">Шена иза дӀахезча, Дауда Йоаб вахийтира цига, цуьнца доьналла долу берриг а тӀемалой а болуш.</verse>
				<verse number="9">Ӏамминхой, гӀалин кертара ара а бевлла, тӀамана кечбелла кевнехь дӀахӀиттира. Ткъа схьабаьхкина болу паччахьаш шерачу аренгахь юьстахбевлла лаьтташ бара.</verse>
				<verse number="10">МостагӀчун эскарийн могӀарш шена тӀехьа а, хьалха а дӀахӀиттина гича, Йоаба исраилхошна юкъара уггар тоьлла болу тӀемалой арамхошна дуьхьалбехира.</verse>
				<verse number="11">Кхиболу эскархой цо шен вешин Абушайн кара дӀабелира, ткъа цо уьш Ӏамминхошна дуьхьалбехира.</verse>
				<verse number="12">Йоаба Абушайга элира: «Арамхоша со эшочу далахь, ахьа суна гӀо дийр ду, нагахь санна Ӏамминхоша хьо эшош хилахь, аса хьоьгахьа гӀо доккхур ду.</verse>
				<verse number="13">Доьналла долуш хила. Майра лаьттар ду вай, Исраилан халкъ а, вайн Делан гӀаланаш а ларъеш. Ткъа Везачу Эло Шен лаам берг дийр ду».</verse>
				<verse number="14">Йоаб шен эскарца арамхошна тӀелетира, ткъа вуьш цунах бевдда дӀабахара.</verse>
				<verse number="15">Шайна арамхой дӀауьдуш гича, Йоабан веших Абушайх бевдда, гӀала дӀабахара Ӏамминхой. Юха а вирзина, Йоаб Ярушалайме схьавеара.</verse>
				<verse number="16">Шаьш исраилхоша эшийна хилар гича, арамхоша геланчаш а бахийтина, Эпрат-хил дехьа агӀор Ӏаш болу арамхой арабехира. Царна куьйгалла дира ХӀадад-Ӏезаран тӀеман хьаькам волчу Шупака.</verse>
				<verse number="17">И хаам шега кхаьчча, Дауд, массо а исраилхо вовшах а тоьхна, Йордан-хих дехьавелира. ТӀаккха, арамхой болчу а веана, царна дуьхьал дӀахӀоьттира Дауд. Уьш вовшахлетира.</verse>
				<verse number="18">Амма арамхой исраилхойх бевдда дӀабахара. Церан гӀудалкхех Дауда ворхӀ эзар йохийра, ткъа гӀашлойх шовзткъа эзар стаг а вийра. Дауда иштта арамхойн тӀеман хьаькам волу Шупак а вийра.</verse>
				<verse number="19">Шаьш исраилхоша эшош хилар гича, ХӀадад-Ӏезаран куьйга кӀел хиллачара Даудаца барт бира, уьш цунна къера а хилира. Ткъа арамхой кхин цкъа а ца хӀуттура Ӏамминхошна гӀо дан.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="20">
				<verse number="1">Цхьа шо даьлча, паччахьаш тӀамана арабовлучу хенахь, Йоаба эскар арадаьккхира. Ӏамминхойн мохк боха а бина, схьа а веана, Рабба-гӀалина го бира цо. Ткъа Дауд Ярушалаймехь сецира. Йоаба Рабба-гӀала, схьа а яьккхина, йохийра.</verse>
				<verse number="2">Дауда церан паччахьан коьртара деших дина, дезачу жовхӀарех кхелина долу таж схьаийцира. И таж дешин шина пуьнтах динера. Иза Даудан коьрта тӀе диллира. Цо дуккха а хӀонс араяьккхира цу гӀалара.</verse>
				<verse number="3">Рабба-гӀалахь мел болу бахархой ара а баьхна, уьш херхашца, аьчка отургашца, дагаршца болх бан дӀахӀиттийра цо. Дауда массо а Ӏамминхойн гӀаланашкахь цу тайпана белхаш дӀаболийра. Цул тӀаьхьа Дауд а, дерриг а цуьнан эскар а Ярушалайме юхадирзира.</verse>
				<verse number="4">Цул тӀаьхьа ГӀазар-гӀалахь пӀелаштамхошца тӀом дӀаболабелира. Цигахь хьушатхо волчу Субахис турпалш болчу репахойн тӀаьхьенах волу Сипай вийра. ТӀаккха уьш муьтӀахь хилира исраилхошна.</verse>
				<verse number="5">ТӀаьхьо кхин а цхьа тӀом хилира пӀелаштамхошца. Цигахь ЯӀиран кӀанта Элхьанана гатихо волчу ГӀолиатан ваша Лахьми вийра. Цуьнан гоьмукъа тӀера гӀаж кӀадидархочо болх бечу хенахь лелош йолу еха гӀаж санна яра.</verse>
				<verse number="6">Гати-гӀалахь кхин а хилира тӀом. Цигахь цхьа инзаре лекха стаг вара. Цуьнан куьйгийн а, когийн а ялх-ялх пӀелг бара. Уьш берриш а ткъе биъ пӀелг бара. И стаг а турпалш болчу репахойх схьаваьлла вара.</verse>
				<verse number="7">Иза, исраилхойх лаьцна вон бага етташ, луьйш вара. И репахо Даудан вешин ШимӀин кӀанта ЯхӀунатас вийра.</verse>
				<verse number="8">И кхо стаг Гати-гӀаларчу турпалш болчу репахойн гаранах схьаваьлла вара. Уьш Даудан а, цуьнан эскархойн а карах белира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="21">
				<verse number="1">Иблис Исраилан халкъана дуьхьалделира. Цо Даудана исраилхой багарбан дагадаийтира.</verse>
				<verse number="2">Йоабе а, эскаран хьаькамашка а Дауда элира: «Даха а гӀой, Беар-ШабаӀ-гӀалара дуьйна Дан-гӀалина тӀекхаччалц йолчу меттигашкара исраилхой, багарбай, соьга хаам бе, уьш мел бу суна хаийта».</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха Йоаба паччахье элира: «Шен халкъ кхин а бӀозза алсамдоккхийла Везачу Эло. Сан олахо волу паччахь, и халкъ дерриг а сан олахо волчу хьан дац ткъа? Ткъа сан олахочунна хӀунда оьшу иза? ХӀунда дуьллу те ахь Исраилан халкъана тӀе и декхар?»</verse>
				<verse number="4">Амма паччахьо аьллачу дешнаша къера хилийтира Йоаб. Иштта Йоаб, массо а Исраил-махкахула чекх а ваьлла, Ярушалайме юхавеара.</verse>
				<verse number="5">Нах багарбаран жамӀ Дауде дӀаделира Йоаба: берриге а Исраил-махкахь кара тур а лаьцна, тӀом балур болуш волу цхьа миллион цхьа бӀе эзар стаг вара. Ткъа, кара тур а лаьцна, тӀом балур болуш волу яхӀудхо виъ бӀе кхузткъе итт эзар стаг вара.</verse>
				<verse number="6">Паччахьо тӀедиллина гӀуллакх шена ца тайна дела, левихой а, бен-яманхой а багар ца бинера Йоаба.</verse>
				<verse number="7">И гӀуллакх Далла хьалха там боцуш хилла дела, Цо Исраилан халкъана таӀзар дира.</verse>
				<verse number="8">Дауда Деле элира: «И гӀуллакх дар бахьана долуш, аса сайх доккха къа латийна. Веза Эла, Хьан лай волчу суна гечдар доьху аса Хьоьга. ЧӀогӀа хьекъале доцу хӀума дина аса».</verse>
				<verse number="9">ТӀаккха Даудах Делера дерг гуш волчу Гада-пайхамаре Везачу Эло элира:</verse>
				<verse number="10">«Ваха а гӀой, Дауде дӀаала: „Везачу Эло боху: ‘Хьуна лерина кхо таӀзар ду Сан. Царах хьайна цхьаъ схьахаржа, иза Соьга кхочушдайтархьама’“».</verse>
				<verse number="11">Гадас, Дауд волчу а веана, цуьнга элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Кхаа таӀзарх цхьаъ къастаде:</verse>
				<verse number="12">Кхаа шарахь мацалла лаьттийла лаьа хьуна, я кхаа баттахь, церан тур хьайна тӀе а кхочуьйтуш, хьайн мостагӀех ведда лела лаьа хьуна, я кхаа дийнахь Везачу Элан тур шайна тӀехь хила лаьа хьуна? Оцу деношкахь махкахь Ӏожаллин ун хӀуттур ду, Везачу Элан Малико берриге а Исраил-махкахула нах хӀаллак а беш. Ойла а яй, соьга хаам бе, хӀун ала аса со Ваийтинчуьнга?“»</verse>
				<verse number="13">Дауда Гадига элира: «Соьгахь боккха бала бу! Везачу Элан кара дӀадалийтахьара Ахь тхо, Цуьнан къинхетам чӀогӀа боккха болу дела. Ткъа адамийн кара тхо дӀа ма далийтахьара».</verse>
				<verse number="14">ТӀаккха Везачу Эло исраилхошна ун тӀехийцира. Царна юкъахь кхузткъе итт эзар стаг велира, и ун бахьана долуш.</verse>
				<verse number="15">Дала Ярушалайме малик дахийтира, иза хӀаллакьяйтархьама. Малик шега аьлларг дан доладелча, хуьлуш болу бохам а гина, дохковаьллачу Везачу Эло адам хӀаллакдеш долчу малике элира: «Тоьар ду! ХӀинца охьадахийта хьайн куьг». Цу хенахь Везачу Элан малик явсайхо волчу Аравнин хьаьттарна юххехь дара.</verse>
				<verse number="16">Шен бӀаьргаш хьалахьажийча, Даудана гира лаьттана а, стигална а юкъахь Ярушалаймана тӀехула баттара даьккхина тур карахь долу Везачу Элан малик. ТӀаккха Дауд а, къаной а, тӀехь сингаттаман духар а долуш, шайн яххьаш тӀе лаьтта охьаийгира.</verse>
				<verse number="17">Дауда Деле элира: «Халкъ дагардайтинарг со вацара ткъа? Аса латийна и къа, Аса дина и зулам. Ткъа хӀокху наха цхьа а вониг ца дина. Уьш, уьстагӀий санна, суна тӀаьхьахӀиттина лелла. Ва сан Веза Дела, Хьан таӀзар суна а, сан ден доьзална а тӀе доьрзийла, амма Хьан халкъана тӀехь и ун ма дуьсийла!»</verse>
				<verse number="18">Везачу Элан малико Гаде элира, Дауде дӀаалийтархьама: «Ваха а гӀой, Везачу Элана сагӀа доккхуш йолу меттиг кечъе явсайхо волчу Аравнин хьаьттарехь».</verse>
				<verse number="19">Везачу Эло Гадехула шега аьлларг Дауда кхочушдира.</verse>
				<verse number="20">Ша кӀа оруш волчу хенахь, Аравнина юхахьаьжча, малик гира. Цуьнан виъ кӀант цу маликах дӀахьулвелира.</verse>
				<verse number="21">Юха Дауд и волчу веара. ДӀахьаьжча, Дауд а гина, хьаьттара схьа а ваьлла, Аравна цунна хьалха лаьтта кхаччалц суждана вахара.</verse>
				<verse number="22">Дауда Аравнига элира: «Суна хьайн хьаьтт лохьа, Везачу Элана сагӀа доккхуш йолу меттиг кхузахь соьга кечъяйтархьама, халкъана тӀедаийтина ун сацадайтархьама. Цуьнан билггал шен болчу мехах йохкахьа иза суна».</verse>
				<verse number="23">Аравнис Дауде жоп делира: «ДӀаэца хьайна хьаьтт, сан олахо волчу паччахьо шена луъург дойла цунах. Аса хӀара стерчий а дӀало дийнаташ дагоран сагӀина, мекха а дӀало ас дечиган метта, кӀа а дӀало кӀен сагӀина. И дерриг а аса маьхза дӀало хьуна».</verse>
				<verse number="24">Ткъа Дауд-паччахьо Аравнига элира: «ХӀан-хӀа, и хьаьтт, шен билггал болчу мехах эца лаьа суна хьоьгара. ХӀунда аьлча хьан долахь йолу хӀума Везачу Элана сайгара сагӀина лур яц аса. Маьхза еллачу хӀуманах дагоран сагӀа а доккхур дац аса».</verse>
				<verse number="25">Дауда ялх бӀе шекхал деши делира Аравнина цу меттигах.</verse>
				<verse number="26">Цигахь Дауда Везачу Элана лерина долу сагӀа доккху меттиг кечйира. Цо цигахь дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш а дехира. ТӀаккха Везачу Эле кхайкхира иза. Везачу Эло цуьнан доӀанна жоп делира, дийнаташ дагоран сагӀа доккхучу меттигна тӀе стигалара цӀе а йоссош.</verse>
				<verse number="27">ТӀаккха Везачу Эло малике, шен тур батта дилла элира.</verse>
				<verse number="28">Цу хенахь явсайхочун Аравнин хьаьттахь волчу Дауда, ша Везачу Элана дӀахезна хилар а гина, циггахь сагӀанаш дехира.</verse>
				<verse number="29">Ткъа яьссачу аренгахь Мусас дина долу Везачу Элан четар а, дийнаташ дагоран сагӀа доккху кхерч а цу хенахь ГавӀон-ломан сагӀа доккхучу гу тӀехь лаьтташ бара.</verse>
				<verse number="30">Дауд ца ваьхьира Делах дагавала цига ваха, хӀунда аьлча Везачу Элан маликан туьрах кхеравеллера иза.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="22">
				<verse number="1">ТӀаккха Дауда элира: «Кхузахь хир ду Везачу Делан цӀа, Исраилан халкъо дийнаташ дагоран сагӀа доккху кхерч а хир бу кхузахь».</verse>
				<verse number="2">Дауда омра дира, исраилхойн махкахь тӀебаьхкина Ӏаш болу нах схьагулбе аьлла. Царна юкъара Делан цӀенна кечбеш болу тӀулг хьакха нах дӀахӀиттийра Дауда.</verse>
				<verse number="3">Цо дуккха а эчиг кечдира кевнийн неӀаршна оьшун долу хьостамий а, цу неӀарийн кӀажаш а дан. Иштта барам боцуш дукха цӀаста а кечдира.</verse>
				<verse number="4">Дагар ца даллал дукха баганан дечиг а охьадиллира Дауда, хӀунда аьлча цӀаданхоша а, цорахоша а вуно дукха баганан дечигаш еанера цунна.</verse>
				<verse number="5">Дауда элира: «Сан кӀант Сулим къона ву, иза говзалла йолуш а вац. Ткъа Везачу Элана лерина дан деза цӀа, массо а къаьмнашна хьалха сийлаллина а, хазаллина а долуш, чӀогӀа сийлахь хила дезаш ду. Цундела аса кечам бийр бу цунна». Иштта ша дӀакхалхале дукха хӀума кечдина хилла Дауда.</verse>
				<verse number="6">Шен кӀант Сулим тӀе а кхайкхина, Дауда цуьнга весет дира, Исраилан халкъан Везачу Далла цӀа де аьлла.</verse>
				<verse number="7">Дауда Сулиме элира: «Сан кӀант! Сайн Везачу Далла лерина цӀа дан дагадеанера суна.</verse>
				<verse number="8">Амма соьга Везачу Элан дош кхечира. Цо элира: „Ахьа адамийн дукха цӀий а Ӏанийра, баккхий тӀемаш а бира. Суна лерина цӀа ахьа дан ца деза, хӀунда аьлча Суна хьалха дукха цӀий Ӏанийна ахьа лаьтта тӀе.</verse>
				<verse number="9">Хьан кӀант хир ву. Иза машаре хир ву. Массо а гонах болчу мостагӀашкахьара синтем лур бу Аса цунна, цундела цуьнан цӀе Сулим хир ю. Цо паччахьалла дийр долчу заманчохь Исраил-махкана машар а, синтем а лур бу Аса.</verse>
				<verse number="10">Цо дийр ду Суна лерина цӀа. Со цуьнан Да хир ву, ткъа иза Сан кӀант хир ву. Исраилан халкъана тӀехь долу цуьнан а, цуьнан тӀаьхьенан а паччахьалла гуттаренна а чӀагӀдийр ду Аса“.</verse>
				<verse number="11">Ткъа хӀинца, сан кӀант! Хуьлийла Веза Эла хьоьца, Ша хьох лаьцна аьлла ма-хиллара, хьайн Везачу Далла ахь цӀа дарна тӀехь хьан аьтто боккхийла Цо.</verse>
				<verse number="12">Исраилан халкъана тӀехь паччахь хьо дӀа а хӀоттош, Везачу Эло хьуна хьекъал а, кхетам а лойла, хьайн Везачу Делан товрат-хьехам хьоьга ларбайтархьама.</verse>
				<verse number="13">Нагахь санна Везачу Эло Исраилан халкъана Мусагахула делла парзаш а, тӀедехкинарш а кхочушдан хьо гӀертахь, ахьа до гӀуллакхаш декъалдина хир ду. ЧӀагӀ а ло, доьналла долуш а хила, кхера а ма кхера, са а ма гатде.</verse>
				<verse number="14">Аса, къа а хьоьгуш, Везачу Элан цӀенна ши бӀе эзар пунт деши а, ши миллион пунт дети а кечдина, ткъа барам боцуш дукха цӀаста а, эчиг а кечдина. Иштта дечиг а, тӀулг а кечбина аса, ткъа ахьа тӀеоьшург кечъе.</verse>
				<verse number="15">15-16 Хьан дуккха а белхалой бу: тӀулг хьокхурш а, тӀулгпхьераш а, дечигпхьераш а, иштта дешица а, детица а, цӀастанца а, эчигца а муьлхха а гӀуллакх дан хуур долу нах а — церан барам бац. Хьайн гӀуллакх, дӀа а доладай, чекхдаккха. Веза Эла хьоьца хуьлийла».</verse>
				<verse number="16">***</verse>
				<verse number="17">Исраилхойн массо а баьччанашна Дауда тӀедиллира шен кӀантана Сулимана гӀо дар.</verse>
				<verse number="18">Цо элира: «Шун Веза Дела шуьца вац ткъа? Цо шуна массо а агӀор синтем ца белира ткъа? ХӀунда аьлча Цо беллера сан кара мехкан бахархой, ткъа и мохк Везачу Элана а, Цуьнан халкъана а муьтӀахь хилира.</verse>
				<verse number="19">Шайн дегнаш а, шайн синош а Делехьа дерзаде, шайн Веза Дела лахархьама. ДӀа а хӀиттий, Везачу Далла лерина деза цӀа де, цу чу Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ а, Далла леринчу гӀуллакхна лелош йолу язйина пхьегӀаш а охьаяхкархьама».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="23">
				<verse number="1">Дауд, дикка дуьне а диъна, къанвелира. Шен кӀант Сулим, Исраил-мехкан паччахь а вина, дӀахӀотто лиира цунна.</verse>
				<verse number="2">Исраил-мехкан массо а баьччанаш схьагулбира Дауд-паччахьо. Иштта схьагулбира цо массо а динан коьрта дай а, левихой а.</verse>
				<verse number="3">Дауд-паччахьо гулбеллачарна юккъера берриг а ткъе итт шо я цул сов хан йолу левихой багарбайтира. Уьш верриг а ткъе берхӀитта эзар стаг вара.</verse>
				<verse number="4">Дауд-паччахьо элира: «Царах ткъе виъ эзар левихочо Везачу Элан ЦӀенна тӀехь бечу белхийн куьйгалла дийр ду. Ткъа йозанца болу белхаш бийраш а, кхелахой а ялх эзар левихо хир ву.</verse>
				<verse number="5">Виъ эзар левихо ха деш хир ву, ткъа важа виъ эзар левихо зурманаш лоькхучу гӀирсаш тӀехь гӀуллакх деш хир ву. И зурманаш локху гӀирс леррина Веза Эла хасто бина бу».</verse>
				<verse number="6">И левихой кхаа тобане бийкъира Дауд-паччахьо. Уьш Левин кхаа кӀентан тӀаьхьенах бара: ГӀиршанах, КхахӀатах, Мерарих.</verse>
				<verse number="7">ГӀиршанан тӀаьхьенах царна юкъахь бара: ЛаӀдан, ШамаӀи.</verse>
				<verse number="8">ЛаӀданан кхо кӀант вара: воккхаха верг — Яхьиал, важа шиъ — Зетам а, Юал а.</verse>
				<verse number="9">ШамаӀин кӀентий бара: Шалумати, Хьазиал, ХӀарон. И кхо кӀант ЛаӀданан тӀаьхьенан баьчча вара.</verse>
				<verse number="10">Кхин а виъ кӀант вара ШамаӀин. Уьш бара: Яхьат, Зиза, ЕӀуш, БериӀ.</verse>
				<verse number="11">Яхьат царах воккханиг вара, ткъа Зиза шолгӀаниг вара. Ткъа ЕӀушан а, БериӀан а бераш кӀеззиг дара, цундела уьш цхьа доьзал санна лорура.</verse>
				<verse number="12">КхахӀатан виъ кӀант вара: Ӏамрам, Ицхьар, Хьеврон, Ӏузиал.</verse>
				<verse number="13">Ткъа Ӏамраман ши кӀант вара: АхӀарон а, Муса а. АхӀарон а, цуьнан тӀаьхье а гуттаренна а къастийнера Дала, цаьрга уггар деза гӀуллакхаш кхочушдайтархьама. Царна тӀедиллина гӀуллакхаш хӀорш дара: Везачу Элана хьалха хаза хьожа йогӀу кӀур баккхар а, Цунна Ӏамал яр а, Цуьнан цӀарах адамаш декъалдар а.</verse>
				<verse number="14">Ткъа Муса Делан стаг вара. Цуьнан кӀентий Левин тӀаьхьенах лоруш бара.</verse>
				<verse number="15">Мусан кӀентий бара: ГӀиршам, ЭлиӀазар.</verse>
				<verse number="16">ГӀиршаман воккхаха волу кӀант вара Шубиал.</verse>
				<verse number="17">ЭлиӀазаран дуьххьарлера доьзалхо вара Рехьаб-ЯхӀу. Кхин кӀентий бацара ЭлиӀазаран. Амма Рехьаб-ЯхӀун дуккха а кӀентий бара.</verse>
				<verse number="18">Ицхьаран воккхаха волу кӀант вара Шалумати.</verse>
				<verse number="19">Хьевронан воккхаха волу кӀант вара Яри-ЯхӀу. ШолгӀа кӀант Ӏамар-ЯхӀу вара. КхоалгӀаниг Яхьазиал вара. Ткъа ЕкхамӀам Хьевронан воьалгӀа кӀант вара.</verse>
				<verse number="20">Ӏузиалан воккхаха волу кӀант вара Мика. Йоши-ЯхӀу цуьнан шолгӀа кӀант вара.</verse>
				<verse number="21">Мерарин кӀентий бара: Махьли, Мушхьи. Махьлин кӀентий бара: ЭлиӀазар, Къуша.</verse>
				<verse number="22">ЭлиӀазаран кӀентий бацара, цуьнан йоӀарий бара. ЭлиӀазаран йоӀарий шайн гергара болчу Къушин кӀенташка маре бахара.</verse>
				<verse number="23">Мушхьин кхо кӀант вара: Махьли, Ӏедар, Еримати.</verse>
				<verse number="24">Иштта яра шайн тайпанашца а, доьзалшца а йолу Левин тӀаьхьенаш. И тӀаьхьенаш шайн цӀерашца хӀокху йозанна тӀехь дӀаязйина ю. Ткъа шо я цул сов хан йолчу левихошна бен ца магадора Везачу Элан ЦӀа чохь гӀуллакхаш дан.</verse>
				<verse number="25">Дауда олура: «Исраилан халкъан Везачу Дала Шен халкъана машар белла. Веза Эла гуттаренна а Ярушалаймехь вуьсу.</verse>
				<verse number="26">ХӀинца дуьйна Делан деза четар а, цунна чохь гӀуллакх деш лелош йолу хӀуманаш а лело езар яц шайца левихоша».</verse>
				<verse number="27">Даудан тӀаьххьара долчу омранашна тӀе а доьгӀна, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолчу массо а левихоша</verse>
				<verse number="28">Везачу Элан ЦӀа чохь гӀуллакх деш болчу АхӀаронан тӀаьхьенах болчарна гӀо дан дезаш дара. Левихоша цӀано латто езаш яра цу ЦӀийнан керташкахь а, цуьнан агӀонаш тӀехь йолчу чоьнашкахь а. Цара Везачу Элан ЦӀа чохь а, кертахь а мел йолу хӀума цӀанйора. Левихойн болх бара Везачу Элан ЦӀа чохь а, кертахь а гӀуллакх дар.</verse>
				<verse number="29">Левихоша тергам бора Везачу Элан ЦӀа чохь дӀахӀотточу, Далла лерина долчу баьпкан а, цара дола дора ялтин сагӀанашна лерина долчу деман а, иштта совсаза болчу бедах динчу хьокхамийн а, доттучу баьпкан а, бод кечбаран а тергам бора цара. Цара массо а хӀуманан барам лелабора.</verse>
				<verse number="30">ХӀора Ӏуьйранна а, суьйранна а Везачу Элана баркалла а кхайкхош, хастамаш бан а безара левихоша.</verse>
				<verse number="31">Цара изза дан дезара къастийначу дезачу деношкахь а, керла бутт болалуш долчу дезачу деношкахь а, дезачу шоьтан деношкахь а, хӀоразза а Везачу Элана дийнаташ дагоран сагӀанаш даьхча а. Яздина билгалдаьккхина ма-хиллара, Везачу Элана хьалха гӀуллакх дан дезара левихоша массо а хенахь.</verse>
				<verse number="32">Иштта, левихоша гуламан четарна уллохь ха а дора, еза хӀуманаш лар а йора. Цара гӀо дора АхӀаронан тӀаьхьенах болчу шайн гергарчу нахана Везачу Элан ЦӀийнан кертахь Далла гӀуллакх дан.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="24">
				<verse number="1">Иштта ю АхӀаронан тӀаьхьенах схьаевлла тобанаш. АхӀаронан кӀентий хилира Надаб, АбихӀу, ЭлиӀазар, Итамар.</verse>
				<verse number="2">Надаб а, АбихӀу а шайн дел хьалха дӀакхелхинера. Церан кӀентий ца хилира, цундела динан дай санна гӀуллакх деш ЭлиӀазар а, Итамар а вара.</verse>
				<verse number="3">Дауда а, ЭлиӀазаран тӀаьхьенах волчу ЦӀадукъас а, Итамаран тӀаьхьенах волчу Ахьи-Малика а тобанашкахь дӀасабийкъира уьш, царна тӀедехкинчу гӀуллакхашка хьаьжжина.</verse>
				<verse number="4">ЭлиӀазаран тӀаьхьенан юкъара болу баьччанаш Итамаран тӀаьхьенна юкъара болчарал совбевлира. Цундела уьш иштта дӀасабийкъира: ЭлиӀазаран тӀаьхьенах ялхитта доьзалийн баьчча, ткъа Итамаран тӀаьхьенах — бархӀ баьчча схьахаьржира.</verse>
				<verse number="5">Уьш кхаж тасарца тобанашкахь дӀасабийкъира, хӀунда аьлча Далла хьалхахь а, Цуьнан цӀа чохь а гӀуллакх дан дӀахӀиттийна баьччанаш ЭлиӀазаран а, Итамаран а тӀаьхьенех хилла.</verse>
				<verse number="6">Уьш дӀаязбеш вара Натунаилан кӀант ШамӀа-ЯхӀу. Иза левихойх схьаваьлла йозанча вара. Паччахьна а, баьччанашна а, динан дена ЦӀадукъина а, Абу-ЯтӀарин кӀантана Ахьи-Маликана а, динан дайн а, левихойн а доьзалийн баьччанашна а хьалха уьш дӀаязбеш вара ШамӀа-ЯхӀу. Кхаж тосучу хенахь, цкъа хьалха цхьа доьзал ЭлиӀазаран тӀаьхьенах, тӀаккха Итамаран тӀаьхьенах схьахоржура цара.</verse>
				<verse number="7">Хьалхара кхаж ЯхӀу-Ярибан белира, шолгӀаниг — ЯдаӀ-ЯхӀун,</verse>
				<verse number="8">кхоалгӀаниг — Хьармин, боьалгӀаниг — СаӀуриман,</verse>
				<verse number="9">пхоьалгӀаниг — Малки-ЯхӀун, йолхалгӀаниг — Мияманан,</verse>
				<verse number="10">ворхӀалгӀаниг — Къоцин, борхӀалгӀаниг — Аби-ЯхӀун,</verse>
				<verse number="11">уьссалгӀаниг — ЮшаӀан, уьтталгӀаниг — Шахан-ЯхӀун,</verse>
				<verse number="12">цхьайтталгӀаниг — Элишубан, шуьйтталгӀаниг — Якъиман,</verse>
				<verse number="13">кхойтталгӀаниг — Хьупайн, бейтталгӀаниг Яшаб-Абун,</verse>
				<verse number="14">пхуьйтталгӀаниг — Билгин, ялхитталгӀаниг — Амиран,</verse>
				<verse number="15">вуьрхӀитталгӀаниг — Хьецаран, берхӀитталгӀаниг — Хьапицацан,</verse>
				<verse number="16">ткъайоьсналгӀаниг — Патахь-ЯхӀун, ткъолгӀаниг — Яхьазкхиалан,</verse>
				<verse number="17">ткъе цхьалгӀаниг — Якинан, ткъе шолгӀаниг — Гамулан,</verse>
				<verse number="18">ткъе кхоалгӀаниг — Дали-ЯхӀун, ткъе боьалгӀаниг — МаӀаз-ЯхӀун.</verse>
				<verse number="19">Исраилан халкъан Везачу Дала, тӀе а дуьллуш, церан дегахула АхӀаронехула билгал-ма-даккхара, Везачу Элан цӀа чохь гӀуллакх дан уьш боьлхучу хенахь, иштта рагӀ яра церан.</verse>
				<verse number="20">Бисинчу левихойн тӀаьхьенах йолчу тобанийн баьччанаш хӀорш бара: Ӏамраман тӀаьхьенан баьчча хилира Шубиал; Шубиалан тӀаьхьенан — Яхьди-ЯхӀу;</verse>
				<verse number="21">Рехьаб-ЯхӀун тӀаьхьенан хьалхарниг вара Йоши-ЯхӀу;</verse>
				<verse number="22">Ицхьархойх баьчча хилира Шалумат; Шалуматин тӀаьхьенан — Яхьат;</verse>
				<verse number="23">Хьевронан тӀаьхьенах хьалхарниг хилира Яри-ЯхӀу, шолгӀаниг — Амар-ЯхӀу, кхоалгӀаниг — Яхьазиал, воьалгӀаниг — ЕкхамӀам;</verse>
				<verse number="24">Ӏузиалан тӀаьхьенах волчу Микин тӀаьхьенах — Шамир.</verse>
				<verse number="25">Микин ваша волчу Йоши-ЯхӀун тӀаьхьенах — Закри-ЯхӀу;</verse>
				<verse number="26">Мерарин кӀентий бара: Махьли, Мушхьи, ЯӀзи-ЯхӀу.</verse>
				<verse number="27">Мерарин кӀант волчу ЯӀзи-ЯхӀун тӀаьхьенан баьччанаш хилира: ШухӀам, Закхур, Ӏебар.</verse>
				<verse number="28">Махьлин тӀаьхьенан — ЭлиӀазар. ЭлиӀазаран кӀентий бацара.</verse>
				<verse number="29">Къушин тӀаьхьенан — Ярахьмиал.</verse>
				<verse number="30">Мушхьин кӀентий бара: Махьли, Ӏедар, Еримати. Иштта ю левихойн тӀаьхьенаш, шайн доьзалшка хьаьжжина.</verse>
				<verse number="31">Цара а, АхӀаронах схьабевллачу шайн вежарша санна, Дауд-паччахьна а, ЦӀадукъина а, Ахьи-Маликана а, динан дайн а, левихойн а доьзалийн баьччанашна а хьалха кхаж тосура. Доьзалан баьччано а, шен жимаха волчу вашас санна, кхаж тосура.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="25">
				<verse number="1">Дауда а, эскаран хьаькамаша а, дечиг-пондаршца а, мерз-пондаршца а, цӀастанан негӀаршца а мукъамаш а балош, Делера болу хаамаш кхайкхоран гӀуллакхна схьакъастийра Асайпан а, ХӀайманан а, Ядутунан а тӀаьхьенах берш. Шайн-шайн гӀуллакхе хьаьжжина, иштта болх бан дӀакъастийначу нехан цӀераш хӀорш ю:</verse>
				<verse number="2">Асайпан кӀентех бара: Закхур, Юсуп, Натан-ЯхӀу, Асар-Эла. Асайпан кӀенташа цуьнан куьйгаллехь гӀуллакх дора, ткъа Асайпа — паччахьан куьйгаллехь Делера болу хаамаш бора.</verse>
				<verse number="3">Ядутунан кӀентех вара: Гадал-ЯхӀу, Зари, ЯшаӀ-ЯхӀу, ШамаӀи, Хьашби-ЯхӀу, Маттит-ЯхӀу. Уьш ялх кӀант вара. Царна тӀехь куьйгалла а деш, церан дас Ядутуна Делера хаамаш бора, дечиг-пондар лакхарца Везачу Элана баркаллаш а олуш, Цунна хастамаш а беш.</verse>
				<verse number="4">ХӀайманан кӀентех вара: Букъи-ЯхӀу, Матан-ЯхӀу, Ӏузиал, Шубиал, Еримати, Хьанан-ЯхӀу, Хьанани, Эли-Ата, Гидалти, Румамти-Ӏезар, Йошбикхаша, Малути, ХӀутир, Махьзиут.</verse>
				<verse number="5">Хиндерг гуш волчу а, Делера хаамаш нуьцкъала беш волчу а паччахьан пайхамаран ХӀайманан кӀентий бара уьш берриш а. Вейтта кӀант а, кхо йоӀ а еллера Дала ХӀайманна.</verse>
				<verse number="6">Цара массара а, шайн дайша куьйгалла а деш, Везачу Элан цӀийнан кертахь цӀастанан негӀаршца а, мерз-пондаршца а, дечиг-пондаршца а иллеш аларца Далла гӀуллакх дора. Ткъа Асайп а, Ядутун а, ХӀайман а паччахьан куьйгаллехь вара.</verse>
				<verse number="7">Шайн гергарчаьрца цхьаьна, Везачу Элана хьалха иллеш ала Ӏемина а, говза волу а ши бӀе везткъе бархӀ стаг вара уьш верриг а (288).</verse>
				<verse number="8">Цара массара а, жима а, воккха а доцуш, хьехархоша дешархошца цхьабосса кхаж тосура, шаьш гӀуллакх дан деза рагӀ билгалйоккхуш.</verse>
				<verse number="9">Хьалхара кхаж Асайпан тӀаьхьенах волчу Юсупан белира. ШолгӀаниг — Гадал-ЯхӀун а, цуьнан вежарийн а, кӀентийн а белира. Уьш шийтта вара.</verse>
				<verse number="10">КхоалгӀаниг — Закхуран а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.</verse>
				<verse number="11">БоьалгӀа кхаж — Изрин а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.</verse>
				<verse number="12">ПхоьалгӀа кхаж — Натан-ЯхӀун а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.</verse>
				<verse number="13">ЙолхалгӀа кхаж — Букъи-ЯхӀун а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.</verse>
				<verse number="14">ВорхӀалгӀаниг — Ясар-Элан а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.</verse>
				<verse number="15">БорхӀалгӀаниг — ЯшаӀ-ЯхӀун а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.</verse>
				<verse number="16">УьссалгӀаниг — Матан-ЯхӀун а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.</verse>
				<verse number="17">УьтталгӀаниг — ШамаӀин а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.</verse>
				<verse number="18">ЦхьайтталгӀаниг — Ӏазариалан а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.</verse>
				<verse number="19">ШуьйтталгӀаниг — Хьашби-ЯхӀун а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.</verse>
				<verse number="20">КхойтталгӀаниг — Шубиалан а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.</verse>
				<verse number="21">БейтталгӀаниг — Маттит-ЯхӀун а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.</verse>
				<verse number="22">ПхуьйтталгӀаниг — Ериматин а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.</verse>
				<verse number="23">ЯлхитталгӀаниг — Хьанан-ЯхӀун а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.</verse>
				<verse number="24">ВуьрхӀитталгӀаниг — Йошбикхашан а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.</verse>
				<verse number="25">БерхӀитталгӀаниг — Хьананин а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.</verse>
				<verse number="26">ТкъайоьсналгӀаниг — Малутин а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.</verse>
				<verse number="27">ТкъолгӀаниг — Эли-Атин а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.</verse>
				<verse number="28">Ткъе цхьалгӀаниг ХӀутиран а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.</verse>
				<verse number="29">Ткъе шолгӀаниг — Гидалтин а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.</verse>
				<verse number="30">Ткъе кхоалгӀаниг — Махьзиутан а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.</verse>
				<verse number="31">Ткъе боьалгӀаниг — Румамти-Ӏезаран а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="26">
				<verse number="1">Кевнашкахь гӀарол дан дӀахӀиттийнарш хӀорш бара: кхорахьахойх — Кхурин кӀант Мишлам-ЯхӀу. Иза Асайпан тӀаьхьенах вара.</verse>
				<verse number="2">Мишлам-ЯхӀун кӀентий хӀорш бара: дуьххьарлера доьзалхо Закри-ЯхӀу, шолгӀаниг — ЕдиӀаал, кхоалгӀаниг — Забди-ЯхӀу, воьалгӀаниг — Ятниал,</verse>
				<verse number="3">пхоьалгӀаниг — Ӏейлам, йолхалгӀаниг — ЯхӀу-Хьана, ворхӀалгӀаниг — Эли-ЯхӀу-Ӏейни.</verse>
				<verse number="4">Ӏабади-Эдоман кӀентий хӀорш бара: дуьххьарлера кӀант ШамӀа-ЯхӀу, шолгӀаниг — ЯхӀу-Забди, кхоалгӀаниг — Юахьи, воьалгӀаниг — Сакар, пхоьалгӀаниг — Натунаил,</verse>
				<verse number="5">йолхалгӀаниг — Ӏамиал, ворхӀалгӀаниг — Иссархан, борхӀалгӀаниг — ПаӀултай. Дала декъалвинера Ӏабади-Эдом.</verse>
				<verse number="6">ПаӀултайн кӀентан ШамӀа-ЯхӀун а бара кӀентий. Уьш говза нах хилла дела, шайн доьзалшкахь баьччанаш бара уьш.</verse>
				<verse number="7">ШамӀа-ЯхӀун кӀентий хӀорш бара: Ӏотни, Рапиал, Ӏабади, Эли-Забда. Цуьнан гергара нах а бара говза нах. Уьш бара ЭлихӀу, Симах-ЯхӀу.</verse>
				<verse number="8">Уьш берриш а Ӏабади-Эдоман кӀентех схьабевллера. Шайна тӀедиллина гӀуллакх дан говза а болуш, иза кхочуш а деш, нах бара уьш а, церан кӀентий а, вежарий а. Уьш Ӏабади-Эдоман тӀаьхьенах схьаваьлла волу кхузткъе итт стаг вара.</verse>
				<verse number="9">Мишлам-ЯхӀун кӀентий а, вежарий а шайн гӀуллакх дан говза волу берхӀитта стаг вара.</verse>
				<verse number="10">Мерарихо волчу Хьосин кӀентий хӀорш бара: коьртаниг — Шимра (дуьххьарлера доьзалхо воццушехь, дас коьртаниг вина дӀахӀоттийнера иза),</verse>
				<verse number="11">шолгӀаниг — Хьалкхи-ЯхӀу, кхоалгӀаниг — ТӀабал-ЯхӀу, воьалгӀаниг — Закри-ЯхӀу. Хьосин берриг кӀентий а, вежарий а кхойтта стаг вара.</verse>
				<verse number="12">Шайн доьзалийн баьччанашка хьаьжжина, екъна йолчу гӀаролхойн оцу тобанашна, церан гергарчарна санна, тӀедиллинера Везачу Элан цӀийнан кертахь гӀуллакхаш дар.</verse>
				<verse number="13">Шайн доьзалшка хьаьжжина, цара жимачо а, воккхачо санна, кхаж тесира, хӀора кевнехь гӀарол дар хьанна кхочу хьожуш.</verse>
				<verse number="14">Иштта Шалам-ЯхӀун кхаж белира малхбалехьа долчу кевнехь гӀарол дан. Хьекъале хьехамча волчу цуьнан кӀантана Закри-ЯхӀуна а тесира кхаж. Цунна кхечира къилбаседехьарчу кевнехь гӀарол дар.</verse>
				<verse number="15">Ӏабади-Эдомна — къилбехьарчу кевнехь, ткъа цуьнан кӀенташна чӀоьнан цӀеношна ха дан кхаж белира.</verse>
				<verse number="16">Шупаймна а, Хьосина а — малхбузехьарчу кевнехь а, лакхарчу урамехь долчу Шалихат-кевнехь а гӀарол дан кхаж белира. ГӀаролхойн цхьана тобано вукху тобанна тӀаьхьа гӀарол дора.</verse>
				<verse number="17">Малхбалехьа — хӀора денна ялх левихо, къилбаседехьа — хӀора денна виъ, къилбехьа — виъ, чӀоьнан цӀеношкахь шишша левихо дӀахӀоттавора хӀора дийнахь.</verse>
				<verse number="18">Малхбузехьа йолчу кертана тӀебоьдучу некъа тӀехь — виъ, ткъа оцу кертахь ши левихо дӀахӀоттийра.</verse>
				<verse number="19">Иштта дара Кхорахьан а, Мерарин а тӀаьхьенан Везачу Элан цӀийнан кевнехь ха дан дӀахӀоттор.</verse>
				<verse number="20">Ткъа церан вежарий болу левихой Делан цӀийнан хазна а, Далла гӀуллакх деш къастийна йолчу хӀуманийн хазна а ларъеш бара.</verse>
				<verse number="21">ГӀиршанан кӀентан ЛаӀданан тӀаьхьенан доьзалийн баьчча вара Яхьи-Эла.</verse>
				<verse number="22">Яхьи-Элан кӀентий хилира Зетам а, цуьнан ваша Юал а. Уьш Везачу Элан цӀийнан хазна ларъярна тӀехь куьйгалла деш бара.</verse>
				<verse number="23">Ӏамраман а, Ицхьаран а, Хьевронан а, Ӏузиалан а тӀаьхьенашна а дара тӀедехкина гӀуллакхаш.</verse>
				<verse number="24">Мусан кӀентан ГӀиршаман кӀант Шубиал хазнаш ларъеш болчийн коьрта тӀехьожург вара.</verse>
				<verse number="25">ГӀиршаман вешин ЭлиӀазаран кӀант вара Рехьаб-ЯхӀу. Рехьаб-ЯхӀун кӀант вара ЯшаӀ-ЯхӀу. Цуьнан кӀант вара Йорам. Йораман кӀант вара Зикра. Зикрин кӀант вара Шалумати.</verse>
				<verse number="26">Шалуматис а, цуьнан вежарша а Дауд-паччахьо а, доьзалийн баьччанаша а, тӀеман коьрта хьаькамаша а, тӀеман хьаькамаша а, эскаран кхиболчу куьйгалхоша а Далла дечу гӀуллакхна дӀакъастийна хӀуманаш чохь йолчу массо а хазнийн Ӏуналла дора.</verse>
				<verse number="27">Шаьш тӀамехь схьаяьккхинчу хӀонсах цхьа дакъа Везачу Элан цӀенна оьшучунна дӀакъастадора цара.</verse>
				<verse number="28">Шамъал-пайхамаро а, Къушин кӀанта Шаула а, Неран кӀанта Абунара а, Царуятан кӀанта Йоаба а Везачу Элана лерина дӀаделла массо хӀума а Шалуматин а, цуьнан вежарийн а карахь дара.</verse>
				<verse number="29">Ицхьаран тӀаьхьенах болу Ханан-ЯхӀу а, цуьнан кӀентий а билгалбехира Делан цӀийнан арахьара гӀуллакхаш дан. Уьш исраилхошна тӀехь сардалш а, кхелахой а бара.</verse>
				<verse number="30">Хьевронан тӀаьхьенах болчу Хьашби-ЯхӀус а, цуьнан вежарша а — говза волчу цхьа эзар ворхӀ бӀе стага — Йордан-хин малхбузехьа долчу Исраил-мехкан латтанашкахь Везачу Элана лерина а, паччахьна а массо а тайпана гӀуллакхаш дора.</verse>
				<verse number="31">Доьзалийн цӀераш дӀаязйинчу тептаршка хьаьжжина, Хьевронан тӀаьхьенах волу Яри-ЯхӀу хьевронхойн баьчча вара. Дауда паччахьалла до шовзткъалгӀа шо долуш тептарш толлура. Цу хенахь хьевронхошна юкъахь говза нах карийра ГалӀад-махкарчу ЯӀзир-гӀалахь.</verse>
				<verse number="32">Яри-ЯхӀун вежарий а говза нах бара. Уьш ши эзар ворхӀ бӀе стаг вара. Шайн доьзалшкахь баьччанаш бара уьш. Делан а, паччахьан а массо гӀуллакх а дойтуш, Раабанан а, Гадин а тайпанашна а, Маннашан ахтайпанна а тӀехь, коьртанаш а бина, дӀахӀиттийра Дауд-паччахьо уьш.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="27">
				<verse number="1">Доьзалийн баьччанаш а, тӀеман коьрта хьаькамаш а, тӀеман хьаькамаш а, церан ялхой а чубогӀучу исраилхойн тобанийн куьйгалхойн цӀераш иштта яра. Шеран хӀора баттахь эскаран цхьацца тобано паччахьна гӀуллакх дора, цуьнца доьзна долу массо а тайпа хӀуманаш кхочуш а деш. ХӀора тобанна чувогӀура ткъе виъ эзар стаг.</verse>
				<verse number="2">Дуьххьарлерчу баттахь хьалхарчу тобанна тӀехь куьйгалла дора Забдиалан кӀанта ЯшбаӀама. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.</verse>
				<verse number="3">ЯшбаӀам Парасан тӀаьхьенах вара. Шеран хьалхарчу баттахь иза вара эскаран массо а хьаькамашна тӀехь коьртаниг.</verse>
				<verse number="4">ШолгӀачу баттахь гӀуллакх деш йолчу тобанна тӀехь куьйгалла дора ахьохьахо волчу Додис. Микхлута цунна гӀо дора. Додин тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.</verse>
				<verse number="5">КхоалгӀачу баттахь эскаран кхоалгӀа хьаькам вара динан да волчу ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара, ткъа иза коьртаниг вара.</verse>
				<verse number="6">Иза вара майрачу ткъе итт тӀемалочунна юкъара схьакъастийна волу, царна тӀехь дӀахӀоттийна хьаькам. БенъяхӀун тобанна тӀехь куьйгалла дора цуьнан кӀанта Ӏами-Завада.</verse>
				<verse number="7">БоьалгӀачу баттахь — воьалгӀаниг вара Йоабан кӀант Ӏасаал. Цуьнан кӀанта Забди-ЯхӀус цул тӀаьхьа куьйгалла дира. ӀасахӀалан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.</verse>
				<verse number="8">ПхоьалгӀачу баттахь — пхоьалгӀаниг вара израхьахо волу хьаькам ШамхӀути. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.</verse>
				<verse number="9">ЙолхалгӀачу баттахь — йолхалгӀаниг вара такхоӀхо волчу Ӏакхешан кӀант Ӏира. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.</verse>
				<verse number="10">ВорхӀалгӀачу баттахь — ворхӀалгӀаниг вара Эпрайман тӀаьхьенах волу пеланхо Хьелац. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.</verse>
				<verse number="11">БорхӀалгӀачу баттахь — борхӀалгӀаниг вара Зерахьан тӀаьхьенах волу хьушатхо Субахи. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.</verse>
				<verse number="12">УьссалгӀачу баттахь — уьссалгӀаниг вара Бен-Яманан тӀаьхьенах волу Ӏанатотхо Абу-Ӏезар. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.</verse>
				<verse number="13">УьтталгӀачу баттахь — уьтталгӀаниг вара Зерахьан тӀаьхьенах волу натӀупатхо Махьран. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.</verse>
				<verse number="14">ЦхьайтталгӀачу баттахь — цхьайтталгӀаниг вара Эпрайман тӀаьхьенах волу пӀарӀатунхо БенъяхӀу. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.</verse>
				<verse number="15">ШуьйтталгӀачу баттахь шуьйтталгӀа хьаькам вара Ӏотниалан тӀаьхьенах волу натӀупатхо Хьелдай. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.</verse>
				<verse number="16">Исраилхойн тайпанашна тӀехь болу хьаькамаш хӀорш бара: Раабанан тайпанан коьрта хьаькам вара Зикрин кӀант ЭлиӀазар; ШимӀин коьрта хьаькам вара МаӀхин кӀант Шапат-ЯхӀу;</verse>
				<verse number="17">Левин тайпанан — Къамуалан кӀант Хьашби-ЯхӀу; АхӀаронан тайпанан коьрта хьаькам вара ЦӀадукъа;</verse>
				<verse number="18">ЯхӀудан тайпанан — Даудан вежарех волу ЭлихӀу; Иссарханан тайпанан — Микаалан кӀант Ӏумари вара;</verse>
				<verse number="19">Забулан тайпанан — Ӏабди-ЯхӀун кӀант ИшмаӀ-ЯхӀу; Напталан тайпанан — Ӏазриалан кӀант Еримати вара;</verse>
				<verse number="20">Эпрайман тайпанан коьрта хьаькам Азаз-ЯхӀун кӀант ХӀушаӀ вара; Маннашан ахтайпанан — Пади-ЯхӀун кӀант Юал;</verse>
				<verse number="21">ГалӀад-махкахь долчу Маннашан ахтайпанан — Закри-ЯхӀун кӀант Ида вара; Бен-Яманан тайпанан — Абунаран кӀант ЯӀсаал;</verse>
				<verse number="22">Данан тайпанан — Ярохьаман кӀант Ӏазариал. Уьш исраилхойн тайпанийн баьччанаш бара.</verse>
				<verse number="23">Ткъа шо а, ткъа шарал лахара а хан ерш Дауда дӀа ца язбира, хӀунда аьлча Везачу Эло Ша, стигалара седарчий санна, Исраилан халкъ алсамдоккхур ду аьлла, ваӀда динера.</verse>
				<verse number="24">Царуятан кӀанта Йоаба долийра халкъ дагардан, амма цо иза чекх ца даьккхира. И гӀуллакх дарна Дела оьгӀазваханера Исраилан халкъана, цундела цӀерийн терахь Дауд-паччахьан паччахьаллин гӀуллакхийн тептаран юкъа ца дахара.</verse>
				<verse number="25">Паччахьан чӀоьнан цӀеношна тӀехь а урхалла дора Ӏадиалан кӀанта Ӏазмавата. Ткъа кхашна тӀехь а, гӀаланашкахь а, ярташкахь а, бӀаьвнашкахь а тӀаьхьалонна дӀадиллинчу сурсаташна тӀехь а урхалла дора Ӏузи-ЯхӀун кӀанта ЯхӀунатас.</verse>
				<verse number="26">Латта лелош болчу аренийн белхалошна тӀехь урхалла дора Халубан кӀанта Ӏезрайс.</verse>
				<verse number="27">Кемсийн бошмашна тӀехь урхалла дора Рама-гӀаларчу ШамаӀис. ЧагӀаран чӀоьнашкахь дӀадехкинчу сурсаташна тӀехь урхалла дора шипамхочо Завадис.</verse>
				<verse number="28">Малхбузехь долчу лаьмнийн когашкахь долчу зайт-дитташна а, комарийн дитташна а тӀехь урхалла дора гадирахо волчу БаӀал-Хьанана. ТӀаьхьалонна дӀадиллина зайт-даьттан сурсатна тӀехь урхалла дора ЮӀаша.</verse>
				<verse number="29">Шарон-махкахь дажош долчу хьайбанашна тӀехь урхалла дора шаронхо волчу Шитрайс. ТогӀешна чохь дажош долчу хьайбанашна тӀехь урхалла дора Ӏадлайн кӀанта Шаптис.</verse>
				<verse number="30">Эмкалшна тӀехь урхалла дора исмаьӀалхо волчу Овбила. Варрашна тӀехь урхалла дора марунихо волчу Яхьди-ЯхӀус.</verse>
				<verse number="31">Жашна тӀехь урхалла дора хӀагирхо волчу Язиза. И берриге а нах Дауд-паччахьан долахь долчунна тӀехь урхалхой бара.</verse>
				<verse number="32">Даудан гергара волу ЯхӀуната хьехамча вара. Иза, хьекъал а долуш, йоза хууш стаг вара. Ткъа Хьахманин кӀант Яхьиал паччахьан кӀентийн хьехархо вара.</verse>
				<verse number="33">Ахьи-Тупал а вара паччахьан хьехамча. Ӏаьркхихо волу Хьушай паччахьан къастийна хьехамча вара.</verse>
				<verse number="34">Ахьи-Тупалал тӀаьхьа паччахьан хьехамчаш бара БенъяхӀун кӀант ЯхӀу-ЯдаӀ а, Абу-ЯтӀари а. Ткъа Йоаб паччахьан эскаран хьаькам вара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="28">
				<verse number="1">Дауд-паччахьо Исраил-мехкан берриге баьччанаш Ярушалайме схьагулбира: тайпанийн хьаькамаш а, паччахьна белхаш беш болу хьаькамаш а, тӀеман коьрта хьаькамаш а, тӀеман хьаькамаш а, паччахьан а, цуьнан кӀентийн а хьал а, даьхни а лардеш болу паччахьан уллоранаш а, берриге а майра турпалхой а, тӀемалой а.</verse>
				<verse number="2">Хьала а гӀаьттина, Дауд-паччахьо элира: «ЛадогӀалаш соьга, сан вежарий а, сан халкъ а! Суна даггара лиира Везачу Элаца бина барт дагабоуьйтуш долу тӀорказ лардан меттиг кечъян. Суна лиира вайн Везачу Далла когийн кӀело хир йолу хӀара меттиг дӀанисъян. Аса Делан цӀа дӀахӀотто кечам бина.</verse>
				<verse number="3">Амма Дала элира соьга: „Дауд, ахьа ма хӀоттаде Суна лерина цӀа, хӀунда аьлча ахьа дукха тӀемаш а бина, цӀий а Ӏанийна“.</verse>
				<verse number="4">Исраилан халкъан Везачу Дала ЯхӀудан тӀаьхье хаьржира, цуьнга Исраилан халкъан шийтта тӀаьхьенна тӀехь олалла дайтархьама. Оцу тӀаьхьенна юкъара сан ден доьзал къастийнера Везачу Эло. Ткъа оцу доьзал юкъара со хаьржира Цо, гуттаренна а Исраил-мехкан паччахь вина дӀахӀотторхьама. Везачу Элана лиира сох Исраил-мехкан паччахь ван!</verse>
				<verse number="5">Везачу Эло дуккха а кӀентий белла суна. Оцу сан массо а кӀенташна юкъара Везачу Эло сан кӀант Сулим хаьржина паччахьан метте охьахао Везачу Эло Исраил-махкана тӀехь дечу паччахьаллехь.</verse>
				<verse number="6">Везачу Эло аьлла соьга: „Дауд, хьан кӀанта Сулима дӀахӀоттор ду Суна лерина долу цӀа а, цунна гонахара керт а. ХӀунда аьлча Аса, Сайн кӀант ву аьлла, Сулим хаьржина, ткъа Со цуьнан Да хир ву.</verse>
				<verse number="7">Нагахь Сулима хӀинццалц санна, кхидӀа а Сан дерриге а весеташ а, Сан хьехамаш а леррина кхочушбахь, Аса цуьнан паччахьалла чӀагӀдийр ду абаденналц“.</verse>
				<verse number="8">Ткъа хӀинца Везачу Эло хаьржина долчу, гулделлачу Исраилан халкъана хьалха, Везачу Элан гуламехь, вайн Далла дӀа а хозуьйтуш, ас боху: „Шайн Везачу Делан дерриге а весеташ леррина кхочушде. ТӀаккха далур ду шуьга кху хьаналчу лаьтта тӀехь олалла, и латта хаддаза шайн тӀаьхьенера тӀаьхьене дӀа а луш“.</verse>
				<verse number="9">Ткъа хьуна, сан кӀант Сулим, вовзийла хьайн ден Дела. Хьайн доллучу синца а, доггах а Далла гӀуллакх де, хӀунда аьлча Везачу Элана хаьа хӀораннан а даг чохь дерг а, цуьнан ойланаш а евза Цунна. Нагахь ахьа Веза Эла лахахь, Цо Ша каравойтур ву хьуна. Амма Шегахьара Хьо дӀаверзахь, Везачу Эло гуттаренна а дӀатосур ву хьо.</verse>
				<verse number="10">Сулим, хьо кхета веза, Везачу Эло Шен сийлахь-еза меттиг, Шен цӀа, дӀахӀотто хьо хаьржина хиларх. ЧӀагӀлой, и гӀуллакх чекхдаккха».</verse>
				<verse number="11">Цул тӀаьхьа Везачу Элана дӀахӀотто дезачу цӀийнан дехкина суьрташ тӀехь долу кехаташ дӀаделира Дауда шен кӀанте Сулиме. Оцу кехаташна тӀехь Везачу Элан цӀенна гонах хир йолчу чоьнийн, кертахь хир йолчу гӀишлойн, цуьнан чоьн-цӀенойн, тӀехула хир йолчу а, чухула хир йолчу а чоьнийн, адамаш къинойх цӀандеш хир йолчу меттиган дехкина суьрташ дара.</verse>
				<verse number="12">Иштта Дауда Сулиме делира шен даг чохь мел долчун хӀоттийна долу сурт. Цу юкъахь дара Везачу Элан цӀийнан гонах хир йолчу кертийн а, гонах хир йолчу массо а чоьнийн а, Делан цӀийнан хазнин а, Далла гӀуллакх деш къастийна йолчу хӀуманийн хазнин а хӀоттийна долу суьрташ.</verse>
				<verse number="13">Дауда динан дайн а, левихойн а тобанех лаьцна а, Везачу Элан ЦӀа чохь а, кертахь а кхочушдан дезачу гӀуллакхех лаьцна а, и гӀуллакх деш лело езачу массо а хӀуманех лаьцна дерриге дӀадийцира Сулиме.</verse>
				<verse number="14">Иштта Везачу Элан цӀа чохь гӀуллакх деш лелош хир йолчу хӀуманашна деши а, дети а мел дезар ду а дийцира Дауда Сулиме.</verse>
				<verse number="15">Оцу кехаташна тӀехь билгалдаьккхина дара мел деши а, дети а дезар ду шайн кӀелхӀотторгашца йолчу тайп-тайпанчу чиркхаш чухӀотторгашна а, иштта шен кӀелхӀотторгаца йолу хӀора чӀурам-чиркх чухӀотторгана а, шен-шен Ӏалашонна лело езаш йолчу.</verse>
				<verse number="16">ТӀаккха Дауд-паччахьо дийцира, деза бепиг тӀехӀоттош йолчу дешин стоьлана деши мел дезар ду. Иштта детин стоьлаш еш дети мел дезар ду а.</verse>
				<verse number="17">Иштта, Дауда дийцира, цӀена деши мел дезар ду, мӀерий, кедаш, боганаш деш. Цо дийцира, деши мел дезар ду, хӀора дашо хедар деш, я хӀора дато хедар деш.</verse>
				<verse number="18">Дауда дийцира, деши мел дезар ду, сагӀа доккхуш хаза хьожа йогӀу хӀуманаш тӀехь ягош болу кхерч беш. Кхин а Дауда делира Сулиме Далла лерина кечйинчу меттиган деших дан дезачу Везачу Элаца бина барт дагабоуьйтуш долчу тӀорказна тӀехула, шайн тӀемаш дӀаса а дахийтина, лаьтташ долчу маликашна гӀудалкх муха ян еза гойту сурт а.</verse>
				<verse number="19">Дауда элира: «И аса йийцина Ӏалашонаш Везачу Элан куьйгаллица дӀаязйина яра. Везачу Эло гӀо дира суна оцу ерриге Ӏалашонех кхета».</verse>
				<verse number="20">Иштта, шен кӀанте Сулиме Дауд-паччахьо кхин а элира: «Нуьцкъала а, доьналла долуш а хилий, дӀадоладе и гӀуллакх. Хьо кхера а ма ло, цец а ма вала, хӀунда аьлча сан Веза Дела хьоьца ву. Иза юхавер вац хьох, Цо вуьтур вац хьо, Везачу Элан цӀа дӀахӀоттош ахь дан деза гӀуллакхаш дерриге дина чекхдовллалц.</verse>
				<verse number="21">Ткъа динан дайн а, левихойн а тобанаш кийча ю Делан цӀа чохь бан беза муьлхха а болх бан. ХӀора шен гӀуллакхан говзанча а кийча ву хьуна оцу гӀуллакхна тӀехь гӀо лаца. Хьаькамаш а, дерриг халкъ а кийча ду хьан муьлхха а омра кхочушдан».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="29">
				<verse number="1">ТӀаккха гулбеллачу массаьрга а Дауд-паччахьо элира: «Дала шуна юкъара хаьржина сан кӀант Сулим. Иза къона а, гӀорасиза а ву, ткъа хӀара гӀуллакх сийлахь-деза ду. ХӀунда аьлча хӀара гӀишло адамашна еш яц, иза вайн Везачу Далла еш ю.</verse>
				<verse number="2">Сайн боллучу ницкъаца кечдира аса сайн Делан цӀенна дашо хӀуманаш яйта деши а, дато хӀуманаш ян дети а, цӀестан хӀуманаш ян цӀаста а, эчиган хӀуманаш ян эчиг а, дечиган хӀуманаш ян дечиг а, оникс олуш долу деза тӀулгаш а, юкъадохку деза тӀулгаш а, бес-бесара хаза тӀулгаш а, массо тайпа деза тӀулгаш а, алссам шагатӀулг а.</verse>
				<verse number="3">Сайн долахь йолу кхин а цхьа хазна а ю сан, шена чохь деши а, дети а долуш. Иза а Делан цӀийне болчу сайн безамна Делан цӀенна дӀало аса, айса оцу дезачу цӀенна кечдина долчул а сов.</verse>
				<verse number="4">Апар-махкара деана долу ши эзар пунт цӀена деши а, ейтта эзар пунт цӀена дети а делла аса Делан цӀийнан чуьра пенашна тӀе диллийта.</verse>
				<verse number="5">Оцу деших а, детих а дакъа делла ас говза куьйгаш долчу адамашка массо а тайпана дашо а, дато а хӀуманаш яйта. Кхин цхьанна а лаьий те тахана Везачу Элана сагӀа дан?»</verse>
				<verse number="6">ТӀаккха доьзалийн тхьамданаша а, Исраилан халкъан тайпанийн баьччанаша а, тӀеман коьртачу хьаькамаша а, тӀеман хьаькамаша а, паччахьна белхаш беш болчийн хьаькамаша а шайн даггара сагӀа деара.</verse>
				<verse number="7">Цара а делира Делан цӀа дӀахӀотторна итт эзар пунт дашо ахча а, итт эзар дарик олу дашо ахча а, ткъа эзар пунт дети а, иштта цӀестан ахча а — ткъе ялхитта эзар пунт, ши бӀе эзар пунт эчиг а.</verse>
				<verse number="8">ТӀаккха наха шайгахь нисделла деза тӀулгаш а делира Везачу Элан цӀийнан хазни чу дахкийтархьама. Уьш гӀиршанхо волчу Яхьиалан кара дӀаделира цара.</verse>
				<verse number="9">Массо а тайпана сагӀина хӀума еанчу оцу наха шайн даггара а, боккхачу лаамца а Везачу Элана сагӀа дарна, хазахеттера халкъана. Иштта чӀогӀа хазахетта вара Дауд-паччахь а.</verse>
				<verse number="10">ТӀаккха гуламе гулбеллачу массарна а хьалха, Веза Эла декъалвеш, Дауд-паччахьо элира: «Азалера абаденналц декъала ву Хьо, Веза Эла, тхан ден Исраилан Дела.</verse>
				<verse number="11">Хьоьца ду, Веза Эла, возалла а, нуьцкъалалла а, сийлалла а, толам а, инзаре хазалла а. Стигалшкахь а, лаьттахь а мел дерг Хьан ду. Хьан ду, Веза Эла, паччахьалла а. Хьо ву массо а хӀуманан Коьртаниг.</verse>
				<verse number="12">Хьоьгара ду хьал а, сийлалла а, Ахьа до олалла массо а хӀуманна тӀехь. Хьан карахь ду нуьцкъалалла а, чӀагӀо а. Хьан олаллехь ду милла а вазвар а, чӀагӀвар а.</verse>
				<verse number="13">ХӀинца оха, тхан Дела, хастаме дешнаш олу Хьуна, Хьан сийлахь-еза цӀе а хастайо оха.</verse>
				<verse number="14">Ткъа тхо муьлш ду: я со а, я сан халкъ а, иштта Хьуна сагӀа дан таро хилла долу? Иза-м ша дерриге а Хьоьгара ма ду. Хьан карара тхаьш схьаэцнарг Хьуна дӀа а делла оха.</verse>
				<verse number="15">ХӀунда аьлча Хьуна хьалха хан яккха даьхкинарш ду тхо, кхелхина лелаш долу, тхайн хилла болу дай санна. ДӀадолуш долу ӀиндагӀ санна, ду тхан кху лаьттара денош, тӀаьхьало йолуш хӀумма а дац кхузахь.</verse>
				<verse number="16">Тхан Веза Дела! ХӀара Хьуна дийр долчу цӀенна, Хьан сийлахь-езачу цӀарна, оха кеч мел дина хӀума Хьан карара ду, дерриге а Хьан ду.</verse>
				<verse number="17">Хаьа суна, сан Дела, Ахьа тхан дегнаш зуьйш хилар а, Хьуна цӀена дегнаш дезаш хилар а. Аса и дерриге а сайн цӀеначу даггара сагӀина деана. Ткъа хӀинца кхузахь долчу халкъо хазахетарца Хьуна сагӀа дар го суна.</verse>
				<verse number="18">Веза Эла, тхан дай болчу ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Исраилан а Дела! ХӀара Хьан халкъан дӀанисъелла йолу деган ойланаш а, хӀара дика а Ӏалашдехьа гуттаренна а. Хьайгахьа дерзадехьа хӀокху халкъан дегнаш.</verse>
				<verse number="19">Ткъа сан кӀантана Сулимна а лохьа Ахьа цӀена дог, Хьан весеташ кхочушдан а, Айхьа дӀадоьллун дерг а, Хьан хьехамаш а, уьш дерриге а кхочушдан а, ас кечбинчу гӀирсах ян еза гӀишло ян а».</verse>
				<verse number="20">ТӀаккха Дауд-паччахьо гулбеллачаьрга элира: «ХӀинца декъалве аша вайн Веза Дела!» ТӀаккха оцу гулбеллачу массара а декъалвира шайн Веза Дела, цул тӀаьхьа, гора а хӀиттина, охьатаьӀира уьш Везачу Элана а, паччахьна а.</verse>
				<verse number="21">Ткъа шолгӀачу дийнахь халкъо Везачу Элана сагӀина деана дийнаташ дайира. Цара дийнаташ дагоран сагӀанаш а дохура. Цу сагӀина юкъа деара: эзар эса а, эзар уьстагӀ а, эзар Ӏахар а, чагӀаран сагӀанаш а. Иштта, Исраил-мехкан дерриге а халкъо сагӀина еана кхин дуккха а хӀума яра.</verse>
				<verse number="22">ТӀаккха Везачу Элана хьалха чӀогӀа хазахетарца юуш, молуш дара халкъ. Цул тӀаьхьа Дауд-паччахьан кӀант Сулим шозлагӀа а паччахь хӀотторна къобалвира. Иштта, Везачу Элана хьалха Сулим къобалвира паччахьалла дарна, ткъа ЦӀадукъа динан да хилийта къобалвира.</verse>
				<verse number="23">Иштта, Везачу Элана хьалха, шен ден Дауд-паччахьан метта, паччахь хилла, охьахиира Сулим. Сулим-паччахь декъал хилира, Исраил-мехкан дерриге а халкъ цунна муьтӀахь дара.</verse>
				<verse number="24">Массо хьаькамаш а, тӀемалой а, Дауд-паччахьан берриге кӀентий а Сулим-паччахьан куьйга кӀел бахара.</verse>
				<verse number="25">Иштта, Исраил-мехкан дерриге а халкъана хьалха Везачу Эло Сулим вазвира. Паччахьан хуьлу сийлалла делира цунна Везачу Эло, Исраил-мехкан цхьанна а паччахьан ца хиллачу тайпана.</verse>
				<verse number="26">Юшайн кӀанта, Дауд-паччахьо, олалла дина берриге а Исраил-махкана тӀехь.</verse>
				<verse number="27">Дауд-паччахьо Исраил-махкахь олалла дина хан шовзткъа шо яра. Хьевронехь — ворхӀ шарахь, ткъа Ярушалаймехь ткъе кхойтта шарахь паччахьалла дира Дауда.</verse>
				<verse number="28">ТӀаккха шортта хиллачу хьолах, сийлаллех вуьзна, дикка дуьне диъна, хан яьлла стаг волуш дӀакхелхира Дауд-паччахь. Цуьнан метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Сулим.</verse>
				<verse number="29">Дауд-паччахьан юьхьанца дуьйна тӀаьххьалц а хиллачу гӀуллакхех лаьцна яздина ду Делера долу хиндерг гуш хиллачу Шамъалан йозанаш тӀехь а, Ната-пайхамаран а, Делера дерг гуш волчу Гада-пайхамаран а йозанаш тӀехь а.</verse>
				<verse number="30">Иштта, Дауда динчу паччахьаллех а, цуьнан доьналлех а, цуьнан шен а, Исраил-мехкан хиллачу гӀуллакхех а, гонах хиллачу кхечу пачхьалкхех а лаьцна хӀуманаш яздина ду оцу йозанийн тептарш тӀехь.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="14">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">Даудан кӀентан Сулиман шен пачхьалкхана тӀехь куьйгалла дар чӀагӀлуш лаьтташ дара. Цуьнан Веза Дела цуьнца вара. Цо Сулим вазвира.</verse>
				<verse number="2">Сулим-паччахьо омра дира, берриг а исраилхой схьагулбе аьлла: тӀеман коьрта хьаькамаш а, тӀеман хьаькамаш а, кхелахой а, берриг а Исраил-махкара массо а куьйгалхо а, доьзалийн баьчча а.</verse>
				<verse number="3">Иштта Сулим а, берриг а гулбелларш а ГавӀон-гӀаларчу гу тӀе бахара, хӀунда аьлча Везачу Элан ялхо волчу Мусас яьссачу аренгахь ша волуш дина гуламан четар цигахь хӀинца а лаьтташ дара.</verse>
				<verse number="4">Делан бертан тӀорказ Кхиръят-ЯӀарим-гӀалара Ярушалаймехь ша кечйинчу метте схьадеанера Дауда, цунна четар а дина.</verse>
				<verse number="5">Ткъа Хьорин кӀентан Урин кӀанта Бацалиала бина сагӀа доккху цӀестан кхерч цигахь, ГавӀонерачу гу тӀехь, Везачу Элан четарна хьалха битинера. Цигахь Сулим-паччахь а, цуьнца баьхкинарш а Везачу Элах дагабевлира.</verse>
				<verse number="6">ТӀаккха, гуламан четар долчу, Везачу Элана хьалха, оцу цӀестан кхерча тӀе а кхаьчна, цунна тӀехь эзар дийнат а дагош, сагӀа даьккхира Сулим-паччахьо.</verse>
				<verse number="7">Цу буьйсанна Сулимна гӀенахь Дела дуьхьалхӀоьттира. Цо элира: «Деха хьайна луъург».</verse>
				<verse number="8">Сулим-паччахьо Деле жоп делира: «Ахьа, сан дена Даудана доккха дика дина, со цуьнан метта паччахь а хӀоттийна.</verse>
				<verse number="9">Ва Веза Дела, кхочушхуьлийла Ахьа сан дена Даудана йина чӀагӀо. Лаьттан чан санна дукха долчу халкъана тӀехь, Ахьа, со паччахь а вина, дӀахӀоттийна дела,</verse>
				<verse number="10">лохьа суна хьекъалалла а, хаарш а, хӀокху халкъана тӀехь аса куьйгалла муха дан деза хаархьама, хӀунда аьлча хьаьнга далур ду хӀокху Хьан дуккха а долчу халкъана тӀехь урхалла?»</verse>
				<verse number="11">Дала Сулиме элира: «И ахь дехнарг хьан деган лаам хиларна а, бахам а, хьал а, сийлалла а, хьайн мостагӀийн синош хӀаллакдар а, иштта хьайн дахаран хан яхъяр а ца доьхуш, Аса хьо паччахь хӀоттийначу Сан халкъана тӀехь урхалла дархьама, хьайна хьекъалалла а, хаарш а ахьа дехарна,</verse>
				<verse number="12">лур ду Ас хьуна хьекъалалла а, хаарш а. Иштта бахам а, хьал а, сийлалла а лур ду Аса хьуна, хьол хьалха хиллачу паччахьийн а, хьол тӀаьхьа хир болчийн а доцучу тайпана».</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха Сулим-паччахь ГавӀонерачу гу тӀехь долчу гуламан четар долчуьра Ярушалайме юхавирзира. Цо исраилхошна тӀехь паччахьалла дира.</verse>
				<verse number="14">Сулим-паччахьо гӀудалкхаш а, дой а гулдира. Иштта цуьнан цхьа эзар йиъ бӀе гӀудалкх а яра, шийтта эзар дин а бара. Цо уьш гӀудалкхаш дӀахӀоттош йолчу гӀаланашкахь а, ша волчохь Ярушалаймехь а дӀатарйира.</verse>
				<verse number="15">Детин а, дешин а барам тӀулгаш долччул дукха хилла дӀахӀоттийра цо Ярушалайм-гӀалахь. Лаьмнийн кӀажашкахь долчу диттийн барам а дезачу баганан диттийн бараме нисбина, дӀахӀоттийра Сулим-паччахьо.</verse>
				<verse number="16">Ткъа говраш Мисар-махкара а, Килик цӀе йолчу махкара а ялайора Сулим-паччахьо. Паччахьан совдегарша Килик-махкахь и говраш ахчанах схьаоьцура.</verse>
				<verse number="17">Мисар-махкара ялочу гӀудалкхан мах ялх бӀе дато шекхал бара, ткъа цигара балочу динан мах цхьа бӀе шовзткъе итт дато шекхал бара. Иштта уьш ерриш а хьетахойн а, арамхойн а паччахьашна схьаялайора совдегарша.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Везачу Элан цӀе язъян лерина долу цӀа а, шена лерина долу паччахьан цӀа а дан сацам бира Сулима.</verse>
				<verse number="2">Деза кира лелош волу кхузткъе итт эзар стаг а, лаьмнашкахь тӀулг схьабоккхуш волу везткъа эзар стаг а, царна тӀехьожуш волу кхо эзар ялх бӀе хьаькам а вара цуьнан.</verse>
				<verse number="3">Цора-гӀаларчу паччахьна Хьирамана тӀе нах бахийтира Сулим-паччахьо, цуьнга дӀаалийта: «Ахьа сан дена Даудана чохь Ӏан паччахьан цӀа дечу хенахь, баганан дечиг а духкуш, гӀуллакх дина ма-хиллара, суна а гӀо дехьа.</verse>
				<verse number="4">Аса хӀинца сайн Везачу Делан цӀе язъян лерина долу цӀа дан долош ду. И цӀа аса дӀакъастор ду, цигахь Цунна лерина хаза хьожа йогӀу хӀуманаш ягаяйтархьама а, даздина баьпкаш шен рожехь дӀахӀиттадайтархьама а, хӀора Ӏуьйранна а, суьйранна а, иштта шоьтан дийнахь а, керла бутт болалуш дезачу деношкахь а, тхан Везачу Далла лерина долчу къастийначу дезачу деношкахь а дийнаташ дагоран сагӀанаш дахийтархьама а. Иза иштта гуттаренна а тӀедиллинера Дала Исраилан халкъана.</verse>
				<verse number="5">Аса ден долу цӀа доккха хир ду, хӀунда аьлча тхан Дела массо деланел а воккха ву.</verse>
				<verse number="6">Иза-х стигалшна — ур-атталла уггар лекхачу стигалшна а чу ца тарваллал ву. Цхьаннан а ницкъ кхочур буй те Цунна цӀа дан? Со мила вара, Цо Шен цӀа дан пурба суна даллал? И цӀа — Цунна лерина сагӀа доккху меттиг бен хир ма яц!</verse>
				<verse number="7">Ткъа хӀинца цхьа говза пхьар ваийтахьа со волчу. Деших а, детих а, цӀастанах а, эчигах а хӀуманаш ян а хууш, иштта таьӀна цӀечу а, цӀарула-цӀечу а, сийначу а басахь долчу тех хӀуманаш ян хууш а, хадорца хӀуманашна куьцаш деш волу стаг хила веза иза. Сан дас Дауда ЯхӀуд-махкахь а, Ярушалайм-гӀалахь а къобалбина хиллачу говзанчашца цхьаьна белхаш бийр бара цо.</verse>
				<verse number="8">Баганан а, зоьзан а дечиг а, Ливанун-махкара цӀен дечиг а даийтахьара ахьа, хӀунда аьлча суна хаьа, хьан белхалой Ливанун-хьун хьакха говзалла йолуш буйла. Сан белхалоша хьайчаьрца цхьаьна болх бийр бара,</verse>
				<verse number="9">кеч а дина, алссам дечиг суна охьадиллийтархьама. ХӀунда аьлча аса деш долу цӀа доккха а, исбаьхьа а ду.</verse>
				<verse number="10">Аса хьан хьун хьокхучарна кхача латтор бу: бӀе эзар гали кӀа а, бӀе эзар гали мукх а, ткъа эзар черма чагӀар а, ткъа эзар черма зайтдаьтта а».</verse>
				<verse number="11">Цора-гӀалин паччахьо Хьирама, Сулиме жоп а луш, кехат яздира. Цо бохура: «Шен халкъе болчу безамна Везачу Эло цунна тӀехь хьо паччахь дӀахӀоттийна».</verse>
				<verse number="12">Хьирама кхин а элира: «Декъала ву стигала а, латта а кхоьллина волу Исраилан Дела волу Веза Эла! Везачу Элана лерина цӀа а, шена паччахьан цӀа а дан воллуш волу, хаарш а, кхетам а болуш волу хьекъале кӀант Дауд-паччахьна веллера Цо.</verse>
				<verse number="13">Хьекъал а долуш, говза стаг волу Хьирам-Аби-ЯхӀу воуьйту аса хьо волчу.</verse>
				<verse number="14">Иза Данан тӀаьхьенах йолчу зудчун кӀант ву. Цуьнан да цорахо ву. Деших а, детих а, цӀастанах а, эчигах а, тӀулгах а, дечигах а, таьӀна цӀечу а, цӀарула-цӀечу а, сийначу а басахь долчу тех а, дуткъачу кӀадих а хӀуманаш ян а, хадорца хӀуманашна тайп-тайпана куьцаш дан говзалла а ю цуьнан. Шега делла муьлхха а суртдаран гӀуллакх кхочушдан тарлур ду цунна. Шена тӀедиллинарг дерриг а кхочушдийр ду цо хьан а, сан олахо волчу хьан ден Даудан а говзанчашца цхьаьна.</verse>
				<verse number="15">Ткъа хӀинца, сан олахо, айхьа доуьйтур ду аьлла кӀа а, мукх а, зайтдаьтта а, чагӀар а даийтахьа хьайн ялхой долчу тхуна.</verse>
				<verse number="16">Сан ялхоша, хьуна оьшшучул Ливанун-хьун а хьаькхна, и дечиг хӀордахула, машшашца цхьаьна а дихкина, Яппи-гӀала дӀакхачор ду, ткъа ахьа иза Ярушалайме дӀахьур ду».</verse>
				<verse number="17">Шен дас Дауда доьзалийн цӀераш дӀаязъечу тептар тӀе тӀаьхьа Исраилан махка цу хенахь тӀебаьхкина хилла болу берриг а нах дӀаязбайтира Сулима. Уьш цхьа бӀе шовзткъе кхойтта эзар ялх бӀе стаг вара.</verse>
				<verse number="18">Царах кхузткъе итт эзар кира лелорхо а, везткъа эзар лаьмнашкара тӀулг баккхархо а, и халкъ балхана тӀедерзадайта кхо эзар ялх бӀе тӀехьожуш волу стаг а билгалваьккхира Сулима.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">Ярушалаймерчу Мори-лам тӀехь Везачу Элан цӀа дан долийра Сулима. Оцу лома тӀехь Веза Эла Сулиман дена Даудана дуьхьалхӀоьттинера. Иза хиллера явсайхо волчу Орнан хьаьттахь. Дауд-паччахьо кечйинера и меттиг.</verse>
				<verse number="2">Иза дара Сулима паччахьалла дечу доьалгӀачу шеран шолгӀачу беттан шолгӀачу дийнахь.</verse>
				<verse number="3">Сулима деш долчу Делан цӀийнан бух иштта бара: бахалла — кхузткъа дол (ширачу дустарехь), шоралла — ткъа дол.</verse>
				<verse number="4">ЦӀийнан шораллехь цунна хьалха йина уче яра, ткъа дол шуьйра а, бӀе ткъа дол лекха а йолуш. И уче чухула цӀена деши диллина йинера.</verse>
				<verse number="5">ГӀишлон коьрта цӀа баганан дечигах дина дара, тӀехула деши а дуьллуш. Цу дешин тӀехула хурма-диттийн а, юьйцинчу зӀенийн а суьрташ дехкира.</verse>
				<verse number="6">ТӀаккха, куц а доккхуш, тӀехула деза тӀулгаш дехкира. И деши Парвайм-махкара деана дара.</verse>
				<verse number="7">ЦӀенна а, цуьнан ханнашна а, неӀсагӀанашна а, пенашна а, корашна а, неӀаршна а тӀехула деши диллира, ткъа пенаш тӀехь каруб-маликийн суьрташ дехкира.</verse>
				<verse number="8">Везачу Элан цӀа чохь, цуьнан шораллин бараме хьаьжжина, уггаре а еза чоь яйтира Сулим-паччахьо. Цуьнан яхалла а, шоралла а ткъатткъа дол яра. Цу цӀа чу дахара цхьа эзар ши бӀе пунт деши.</verse>
				<verse number="9">Хьостамий а динера, хӀора хьостам шовзткъе итт шекхал деших а беш. Иштта лакха тӀехь йолчу чоьнашна а деши диллира.</verse>
				<verse number="10">Везачу Элан цӀийнан уггаре а дезачу цӀа чохь шина каруб-маликан сурт дайтира Сулима, царна тӀе деши а дуьллуьйтуш.</verse>
				<verse number="11">Каруб-маликийн беа тӀоман йохалла ткъа дол яра. Цхьана каруб-маликан пхи дол хиллал беха болу тӀам пенах хьакхалора, ткъа оццул беха болу важа тӀам вукху каруб-маликан тӀомах хьакхалора.</verse>
				<verse number="12">Оццу барамехь болу шолгӀачу каруб-маликан цхьа тӀам а пенах хьакхалора, ткъа церан чухула долу тӀемаш цӀенна юккъехь вовшахкхетара.</verse>
				<verse number="13">Оцу каруб-маликийн беа тӀоман йохалла ткъа дол яра. Уьш шайн когаш тӀехь лаьттара. Церан яххьаш Везачу Элан цӀийнан йоккхачу хьалхарчу чоьнна тӀе ерзийна яра.</verse>
				<verse number="14">Иштта сийначу а, таьӀна-цӀечу а, цӀарула-цӀечу а басахь долчу кӀадих а, дуткъачу кӀадих а кирхьа дайтира цо, цу тӀехь каруб-маликийн суьрташ а дохкуьйтуш.</verse>
				<verse number="15">Везачу Элан цӀенна хьалха цӀестан ши бӀогӀам дӀахӀоттабайтира паччахьо. ХӀора бӀогӀаман лакхалла ткъе пхийтта дол яра. Оцу бӀогӀаман буьххье дилла цӀастанах ши таж доьттира. Церан хӀораннан а лакхалла пхиппа дол яра.</verse>
				<verse number="16">Юьйцина зӀенаш а яйтира цо, уьш шина бӀогӀамна тӀе а йохкуьйтуш. Царна тӀе, куц а доккхуш, наран цхьа бӀе стоьман сурт диллийтира.</verse>
				<verse number="17">ТӀаккха и бӀогӀамаш Везачу Элан цӀенна хьалха дӀахӀиттабайтира: цхьа бӀогӀам аьтту агӀор, важа аьрру агӀор. Аьтту агӀор дӀахӀоттийначунна, «Якин» аьлла, цӀе тиллира (иза «Дала дӀахӀоттор» бохучух тера ду). Аьрру агӀор дӀахӀоттийначух «БоӀаз» элира, (иза «Делан нуьцкъалалла» бохучух тера ду).</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">Иштта Сулим-паччахьо сагӀа даккха лерина болу цӀестан кхерч а байтира: иза ткъа дол хиллал беха а, ткъа дол шуьйра а, итт дол лекха а бара.</verse>
				<verse number="2">Лалийначу цӀастанах боккха яй байтира цо. Цуьнан цхьана йистера вукху йисте кхаччалц болу барам итт дол бара. Пхи дол кӀорга а бара иза. Оцу ен го ткъе итт дол бара.</verse>
				<verse number="3">ЦӀастанах дина стерчий а дара гобаьккхина цу ен кӀел, цуьнца цхьаьнадоьттина. Уьш шина моггӀара дехкинера, церан лакхалла итт дол яра.</verse>
				<verse number="4">И яй цӀастанах бинчу шийтта старана тӀехь лаьтташ бара. Царах кхоъ къилбаседехьа, кхоъ малхбузехьа, кхоъ къилбехьа, кхоъ малхбалехьа берзийна бара. Ткъа церан тӀехьенаш ена кӀел, юккъехьа, ерзийна яра.</verse>
				<verse number="5">Оцу ен стоммалла куьйган кераюккъалц яра, ткъа цуьнан йистош дӀаделладеллачу петӀамат-зезаган куьцехь йинера. Цу чу кхузткъе итт эзар чами хиллал хи доьдура.</verse>
				<verse number="6">Иштта цӀестан итт юьхь-куьг дуьлург а яйтира цо. Царах пхиъ къилбехьа агӀор, важа пхиъ къилбаседехьа агӀор дӀахӀоттаяйтира, цу чохь дагоран сагӀина деана дийнатийн дакъош цӀандархьама. Ткъа цӀестан боккха яй динан дайшна бинера, уьш цу чохь Далла гергахь цӀанбалархьама.</verse>
				<verse number="7">Хила ма-безза болу итт стогар байтира цо деших. Уьш Везачу Элан цӀа чу биллийтира: пхиъ — къилбехьа агӀор, важа пхиъ — къилбаседехьа агӀор.</verse>
				<verse number="8">Далла лерина долу бепиг тӀедилла итт стол яйтира цо. Уьш Везачу Элан цӀа чохь пхиъ къилбехьа агӀор, важа пхиъ къилбаседехьа агӀор дӀахӀиттаяйтира цо. Иштта деших цхьа бӀе кад а байтира.</verse>
				<verse number="9">Динан дайн керт а, йоккха керт а яйтира цо. Иштта йоккхачу кертана чуволу кевнаш дайтира, царна йоьзан варкъ а дуьллуш.</verse>
				<verse number="10">Чохь хи долу и боккха цӀестан яй Везачу Элан цӀийнан къилба-малхбалехьара агӀор дӀахӀоттабайтинера Сулима.</verse>
				<verse number="11">Иштта Хьирама кхин а тесаш, кегий белаш, кегий кедаш дира. Цу тайпана чекхбехира Хьирама Сулим-паччахьна Делан цӀа чохь ша беш болу белхаш:</verse>
				<verse number="12">ши бӀогӀам а, царна гонах таьжнийн ши го а, оцу таьжнийн суьрташ тӀедехкина долчу бӀогӀамийн боххьехь бойнан ши сурт а.</verse>
				<verse number="13">Оцу бойнан шина суьрта тӀе билла биъ бӀе цӀестан нар-стом бира Хьирама. И стоьмаш шишша могӀарехь оцу бӀогӀамашна тӀе дехкинчу таьжнашна тӀерачу бойнийн суьрташ тӀе дехкира.</verse>
				<verse number="14">КӀелхӀотторгаш а, царна тӀеюьллу юьхь-куьг дуьлургаш а,</verse>
				<verse number="15">цӀестан боккха яй, цунна бухара шийтта цӀестан сту а,</verse>
				<verse number="16">тесаш, белаш, мӀерий, церан массо а кхиболу гӀирс а бира цо. Сулим-паччахьан дехарца Хьирам-Аби-ЯхӀус Везачу Элан цӀенна мел йина хӀума а заьнгала динчу цӀастанах йинера.</verse>
				<verse number="17">И ерриг а хӀума Йордан-хин тогӀи чохь сацкъарах йинчу кепаш чохь йоттийтинера Сулим-паччахьо. Иза дара Сакхат а, ЦӀардан а олучу меттигашна юккъехь.</verse>
				<verse number="18">И хӀуманаш вуно дукха яйтинера Сулима, цундела уьш еш дайинчу цӀастанан барам буста а ца лора.</verse>
				<verse number="19">Иштта Делан цӀа чохь оьшур йолу массо а хӀума яйтинера Сулим-паччахьо: дашо кхерч а, Далла лерина долу бепиг тӀедуьллу стоьлаш а,</verse>
				<verse number="20">церан къуьданашца болу а, цӀеначу деших боьттина болу а стогарш (уьш, тӀедиллина ма-хиллара, уггар езачу чухуларчу чоьнна хьалха латабора),</verse>
				<verse number="21">зезагийн суьрташ а, чӀурам хӀотторгаш а, морзахаш а (и ерриг хӀума а цӀеначу деших йинера),</verse>
				<verse number="22">цӀеначу деших дина тукарш а, боганаш а, хаза хьожа йогӀу хӀума чуюьллуш долу кедаш а, богуш болу кӀора дӀасабахьа нойш а. Делан цӀийнан неӀарш (уггар езачу чоьнан чуьра неӀарш а, Делан цӀийнан важа неӀарш а) деших йинера.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">Иштта чекхбехира Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀенна шена бан лиъна болу берриг а белхаш. Шен дас, Дауда, Далла лерина лелош хилла мел йолу сийлаллин-еза хӀуманаш цу цӀа чу ехкира Сулима. Делан цӀийнан хазни чу деши а, дети а, кхин йолу хӀуманаш а дӀаелира цо.</verse>
				<verse number="2">ТӀаккха Исраилан халкъан къаной а, исраилхойн тайпанийн а, гаранийн а, доьзалийн а берриг а баьччанаш а Ярушалайме шена тӀекхайкхира Сулима, хьалха Цийон олуш хиллачу Даудан гӀалара Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ схьадаийтархьама.</verse>
				<verse number="3">Иштта шеран ворхӀалгӀачу беттан дезачу деношкахь дерриг а Исраилан халкъ Сулим-паччахь волчу гулделира.</verse>
				<verse number="4">Исраилхойн массо а къаной цига баьхкича, левихоша бертан тӀорказ схьаийцира.</verse>
				<verse number="5">Бертан тӀорказ а, гуламан четар а, цу чохь мел хиллачу сийлаллин-езачу хӀуманашца, схьа а эцна, дӀадаьхьира динан дайша а, левихоша а.</verse>
				<verse number="6">Ткъа Сулим-паччахь а, иштта иза волчу гулделла Исраилан дерриг халкъ а дезачу тӀорказна хьалха лаьттара. Цара Далла лерина дийнатийн сагӀанаш дохура. Далийна бежанаш а, жа а дукха хиларна дагар а ца далора.</verse>
				<verse number="7">Динан дайша Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ, схьа а деана, Делан цӀийнан чухуларчу а, уггар а езачу чоьнна чохь шен метте, каруб-маликийн суьртийн тӀемашна кӀел, охьадиллира.</verse>
				<verse number="8">Оцу маликийн суьртийн тӀемаш цу тӀорказна тӀехула дӀасадаржийна дара, цундела тӀорказ а, цуьнан схьалоцу гӀуркхаш а цара дӀахьулдора.</verse>
				<verse number="9">И гӀуркхаш деха хиларна, церан юьхьигаш гучуйовлура езачу чоьнна чуьра уггар езачу чухуларчу чоьнна хьалха агӀор. Амма арахула и юьхьигаш гуш яцара. Уьш тахханалц а цу чохь лаьтташ ю.</verse>
				<verse number="10">Оцу дезачу тӀорказ чохь, Мусас чуйиллина хилла йолу тӀулган ши экъа йоцург, кхин хӀумма а яцара. ТӀулган и экъанаш Муса-пайхамаро цу чу ехкинера, Хьариб олучу меттигехь Везачу Эло Исраилан халкъаца барт а бина, иза Мисар-махкара арадаьккхинчул тӀаьхьа.</verse>
				<verse number="11">Динан дай езачу чоьнна чуьра арабевлира. Ткъа цул хьалха цигахь хиллачу берриге а динан дайша, къастамаш а ца беш, Далла хьалха шаьш цӀанбинера.</verse>
				<verse number="12">Зурманчаш болу берриге а левихой — Асайп, ХӀайман, Ядутун, церан кӀентий а, вежарий а — тӀехь дуткъачу кӀадих дина духар а долуш, цӀастанан жима негӀарш а, тайп-тайпана дечиган пондарш а лоькхуш, сагӀа доккхучу кхерчан малхбалехьа агӀор лаьтташ бара. Цаьрца цхьаьна цхьа бӀе ткъа динан да вара, турбанаш лоькхуш.</verse>
				<verse number="13">Турба лоькхурш а, илланчаш а, цхьаъ болуш санна, эбина мукъам балош лаьттара, Везачу Элана хастамаш а беш, Цунна баркалла а бохуш. Турбанашца а, цӀастанан жимачу негӀаршца а, кхечу гӀирсашца а цхьаьна айдинчу озаца цара Везачу Элана хастамаш бора: «Веза Эла ма дика ву! Цуьнан безам хедар боцуш бу!» Оццу юкъана Везачу Элан цӀа мархах дуьзира.</verse>
				<verse number="14">И марха бахьана долуш, динан дай шаьш гӀуллакх дечохь латта а ца лора, Делан цӀа Везачу Элан сийлаллин нуьрах дузарна.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="6">
				<verse number="1">ТӀаккха Сулима элира: «Везачу Эло Шен боданехь Ӏан лаам бу аьллера.</verse>
				<verse number="2">Ткъа аса Хьуна исбаьхьа цӀа дӀахӀоттийна, Хьо цу чохь абаденналц вахийта».</verse>
				<verse number="3">Дерриг а Исраилан халкъ дара цигахь лаьтташ. Халкъехьа а вирзина, Сулим-паччахьо декъалдира иза.</verse>
				<verse number="4">ТӀаккха паччахьо элира: «Декъала ву Исраилан халкъан Веза Дела, сан дена Даудана, Ша делла дош Шен куьйгаца кхочушдина Волу! Цо аьллера сан дега:</verse>
				<verse number="5">„Мисар-махкара Сайн халкъ Айса арадаьккхичхьана дуьйна схьа, Исраилан тайпанийн мехкашкара цхьа а гӀала ца къастийра Аса, Сан цӀе язъян лерина цӀа хилийтархьама. Я цхьа а адам ца хаьржира Аса, Сайн Исраилан халкъана тӀехь баьчча хилийта.</verse>
				<verse number="6">Ткъа хӀинца Ярушалайм-гӀала схьахаьржина Аса, Сайн цӀе язъян лерина цӀа цигахь хилийта, ткъа Дауд хаьржина Аса, Сайн Исраилан халкъана тӀехь олалла дайта“.</verse>
				<verse number="7">Сан дена Даудана чӀогӀа лиира Исраилан халкъан Везачу Делан цӀе язъян лерина долу цӀа дӀахӀотто.</verse>
				<verse number="8">Амма Везачу Эло аьллера сан дега Дауде: „Суна хаьа, Сан цӀе язъян лерина долу цӀа хӀоттадан хьан чӀогӀа лаам хилар. Хьуна и лаар дика ду.</verse>
				<verse number="9">Амма хьо вац Аса и цӀа дӀахӀотто хаьржинарг. Хьох ваьлла волчу хьан кӀанта дийр ду Сан цӀе язъян лерина долу цӀа“.</verse>
				<verse number="10">Иштта Везачу Эло Ша делла дош кхочушдира. Сан ден метта Исраил-мехкан паччахьан гӀанта тӀе хиира со, хӀинца со паччахь а ву, Везачу Эло ма-аллара. Аса Исраилан халкъан Везачу Делан цӀе язъян лерина долу цӀа а дӀахӀоттийна.</verse>
				<verse number="11">Везачу Эло Исраилан халкъаца бина барт тӀеязбина йолу тӀулгийн экъанаш шена чохь Ӏуьллу тӀорказ цу цӀа чу охьадиллина аса».</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха, Везачу Элан сагӀа доккхучу кхерчана хьалха дӀа а хӀоьттина, гулделлачу массо а Исраилан халкъана хьалха Сулим-паччахьо шен куьйгаш хьалаайира.</verse>
				<verse number="13">Кертана юккъехь хьалаайаелла йолу цӀестан лакхе яйтинера Сулима. Цуьнан яхалла а, шоралла а пхиппа дол яра, ткъа лакхалла кхо дол яра. Сулима, цу тӀе а ваьлла, схьагулбеллачу массо а исраилхошна хьалха гора а вахана, шен куьйгаш стигала хьалакховдийра.</verse>
				<verse number="14">Цо элира: «Ва Исраилан халкъан Веза Дела! Я стигалахь, я лаьттахь вац Хьох тера волу Дела. Вайна юкъахь болу барт лар а беш, цунна Хьо тешаме хуьлу доггах Хьайна тӀаьхьахӀиттинчу Хьайн лешна.</verse>
				<verse number="15">Ахь кхочушдина Хьайн лай волчу сан дена Даудана Айхьа делла дош. Ахьа иза Хьайн багара даьккхинера, ткъа тахана Хьайн куьйгаца кхочушдина.</verse>
				<verse number="16">Ткъа хӀинца, Исраилан халкъан Веза Дела, кхочушдехьа Хьайн лай волчу Дауде, сан дега, Айхьа аьлларг: „Нагахь хьан тӀаьхьенах болчара, хьо Суна хьалха ма-леллара, товрат-хьехамца а лелаш, шайн некъаш тешаме хиларца лардахь, даим а хьан тӀаьхьенах хир волчу цхьаццаммо паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тӀехь“.</verse>
				<verse number="17">Ткъа хӀинца, Исраилан халкъан Веза Дела, бакъ хуьлийла Ахьа сан дена делла долу Хьан дош.</verse>
				<verse number="18">Амма бакъдерг аьлча, Делан Ӏойла а дуй ткъа адамашца кху лаьттахь? Стигала а, я стигалан лакхенашка а ца тарлуш волу Хьо, хӀокху ас дӀахӀоттийначу Хьан цӀа чу-м тарлойла а дац.</verse>
				<verse number="19">Делахь а, дӀахозийла Хьуна сан доӀа а, Хьан лай волчу сан дехар а, ва сан Веза Дела! Тергам бойла Ахьа, Хьайга дехарш деш кхойкхуш волчу Хьайн лен кхайкхаман а, доӀанан а.</verse>
				<verse number="20">Ахьа Хьайн цӀе кху чохь хир ю аьллачу хӀокху цӀенна тӀе боьгӀна хуьлийла Хьан бӀаьргаш дийнахь а, буса а! ЛадугӀийла Ахьа Хьан лай волчун доӀане, иза, хӀокху меттехьа а вирзина, Хьоьга кхойкхучу хенахь.</verse>
				<verse number="21">ДӀахозийла Хьуна Хьайн лай волчун доӀанаш а, Хьайн Исраилан халкъан доӀанаш а, цара, хӀокху меттехьа а бирзина, Хьайга доӀа дечу хенахь. Хьо стигалшкахь Ӏаш ву, ткъа оха доьху Хьоьга, цигахь тхан доӀа дӀа а хазий, гечдехьа тхуна.</verse>
				<verse number="22">Масала, нагахь цхьа стаг вукхунна хьалха бехке а хилла, иза Хьан сагӀа доккхучу кхерчана хьалха дӀахӀоттавахь, хӀокху Хьан цӀа чохь, ша бехке вац аьлла, цуьнга дуй баийта тарло.</verse>
				<verse number="23">ТӀаккха стигалахь волчу Ахьа, дӀахазий, кхел ехьа Хьайн лешна тӀехь, бехке верг жоьпе а озош, цаьргара даьлларг церан шайн кортошна тӀе а дожош. Ткъа бехке воцург бехказаваккхахьа, цуьнан бакъ хиларе терра цунна доггӀург а деш.</verse>
				<verse number="24">Масала, Хьан Исраилан халкъ Хьуна хьалха къилахь хиларна, мостагӀчо иза эшор ду. Нагахь и халкъ, Хьоьга кхайкхамаш а беш, кху цӀа чохь волчу Хьоьга доӀанаш а, дехарш а деш, Хьоьгахьа дерзахь,</verse>
				<verse number="25">стигалшкахь церан доӀа дӀа а хазий, гечдехьа хӀокху Хьайн Исраилан халкъан къиношна. Айхьа хьалха царна а, церан дайшна а делла долчу лаьтта тӀе уьш юхаберзабехьа.</verse>
				<verse number="26">Ткъа, масала, цара Хьуна хьалха къинош летадарна, Ахьа, стигалш дӀа а къевлина, догӀа доуьйтур дац. Амма, масала, цара, кху меттехьа а бирзина, доӀанаш а деш, Хьоьга кхайкхамаш а беш, Ахь шаьш охьатаӀийна дела, шаьш летийначу къиношна дохко а бевлла, уьш юха а Хьуна тӀеберза тарло.</verse>
				<verse number="27">ТӀаккха, доьху Хьоьга, стигалшкахь церан доӀанаш дӀа а хазий, гечдехьа Хьайн лай долчу Исраилан халкъан къиношна. Гайтахьа царна нийса некъ, Ахьа Хьайн халкъана тӀаьхьалонна деллачу хӀокху Хьайн лаьтта тӀе догӀа даийтахьа.</verse>
				<verse number="28">Нагахь хӀокху лаьтта тӀе адамашна я мацалла тӀеягӀахь, я адамаш хӀаллакдеш цамгарш кхетахь, я, мел долу хӀума дагош, бовха мох балахь, я адамаша дийна долу дерриге ялта а мекхано диъна дӀадаккхахь, я цӀоз, я нӀаьна тӀелатахь, я шайн лаьтта тӀехь адамаш Ӏен ца дуьтуш, мостагӀий тӀегӀортахь, я муьлхха а бохам хилахь, я ун кхетахь,</verse>
				<verse number="29">тӀаккха, нагахь дерриг а Хьан Исраилан халкъана юкъара муьлххачу а адамо, шен лазарш а гина, шех даьллачу къиношна дохко а даьлла, кху Хьан цӀенна тӀе куьйгаш хьала а айина, Хьоьга доӀанаш а, дехарш а дахь,</verse>
				<verse number="30">доьху Хьоьга, Хьо Ӏаш волчу стигалахь, церан доӀа дӀа а хазий, царна геч а дехьа, гӀо а дехьа. ХӀора стагана а, цуьнан гӀуллакхашка хьаьжжина, цунна доггӀург дӀалохьа, хӀунда аьлча Хьуна цхьанна девза адамийн дегнаш.</verse>
				<verse number="31">Дехьа иза массо а адам Хьох кхерийтархьама а, Хьан некъашкахула лелийтархьама а, Ахьа тхан дайшна деллачу кху лаьттахь тхо мел деха.</verse>
				<verse number="32">Исраилхой а боцуш, кхин къомах долу адамаш а догӀур ду Хьан цӀеран дуьхьа. ХӀунда аьлча царна а хезар ду Хьан сийлаллин-езачу цӀарах лаьцна а, Хьан нуьцкъалаллех лаьцна а, Хьан схьакховдийначу куьйгах лаьцна а. Уьш а богӀур бу, кху Хьан цӀенна тӀе а бирзина, доӀанаш дан.</verse>
				<verse number="33">ТӀаккха, доьху Хьоьга, Хьо Ӏаш волчу стигалшкахь церан доӀанаш дӀа а хазий, дехьа цара а Хьайга мел дехнарг, лаьттахь мел долчу къаьмнашна а Хьайн цӀе йовзийтархьама а, уьш Хьайх кхерийтархьама а, Хьан Исраилан халкъ санна. ТӀаккха массо а меттигашкара дерриг а халкъашна а хуур ду, ас дӀахӀоттийна хӀара цӀа Ахь-Айхьа даздина хилар.</verse>
				<verse number="34">Наггахь Ахьа Хьайн халкъе омра дийр ду, даха а гӀой, шайн мостагӀех лата аьлла. Масала, хӀокху Ахьа хаьржинчу гӀаланехьа а, Хьан цӀе язъян лерина дӀахӀоттийначу цӀенна тӀе а бирзина, цара Хьоьга доӀанаш дахь,</verse>
				<verse number="35">доьху Хьоьга, дӀахазахьа стигалшкахь церан доӀанаш а, церан дехарш а, бакъ а бехьа уьш.</verse>
				<verse number="36">Нагахь Хьан халкъо Хьуна хьалха къинош летадахь (ткъа къа ца латош адам дан а дац), тӀаккха Ахьа, масала, царна оьгӀаз а вахана, уьш мостагӀашка эшабойтур бу. Ткъа мостагӀаша, царна йийсар а дина, генарчу я юххерчу хийрачу махка дӀабига мега уьш.</verse>
				<verse number="37">Масала, оцу шаьш йийсаре бигначу мехкашкахь Хьан халкъо, ша летийначу къиношна дохко а даьлла, Хьоьга доӀанаш дийр ду. Цу халкъо ала тарло: „Оха къа латийна, тхо нийса дацара, тхо бехке ду“.</verse>
				<verse number="38">Ткъа нагахь шаьш йийсаре дигначу оцу мостагӀийн махкахь, уьш шайн цӀеначу даггара Хьуна тӀе а бирзина, Ахьа шайн дайшна деллачу лаьттехьа а, Айхьа хаьржинчу гӀалехьа а, Хьан цӀе язъян ас дӀахӀотийначу Хьан цӀенна а тӀе а бирзина, цара доӀанаш дахь,</verse>
				<verse number="39">ас доьху Хьоьга, Хьо Ӏаш волчу стигалшкахь, церан доӀанаш дӀа а хазий, бакъбехьа уьш. Хьан халкъо Хьуна хьалха летийначу къиношна гечдехьа.</verse>
				<verse number="40">Сан Дела! Хьан бӀаьргаш а хуьлийла дӀабиллина, Хьан лергаш а хуьлийла сема кху меттехь дечу доӀанашна.</verse>
				<verse number="41">Ткъа хӀинца, Веза Дела, Хьо Ӏийр волчу метте дӀахӀоттахьа — Хьо а, Хьан нуьцкъалаллин тӀорказ а. Хьан динан дай кӀелхьарбахар, духар санна, тӀедуьйхина хуьлийла. Хьан долахь берш Хьан диканах баккхийбеш хуьлийла.</verse>
				<verse number="42">Веза Дела! Хьайн юьхь Айхьа къобалвинчунна тӀера дӀа ма ерзаехьа. Дагадаийтахьа Хьайн лай волчу Даудана Ахьа Хьайн безам кховдийна хилар».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="7">
				<verse number="1">Сулим-паччахь доӀа дина ваьлча, стигалара цӀе йоьссира, сагӀин кхерча тӀера дагош долу сагӀанаш а, кхидолу сагӀанаш а Дала тӀеийцира. Ткъа Везачу Элан ЦӀа Цуьнан сийлаллин нуьро дуьзира.</verse>
				<verse number="2">Везачу Элан ЦӀа Цуьнан сийлаллин нуьро дузарна, динан дай Везачу Элан ЦӀа чу ца бахалора.</verse>
				<verse number="3">И охьайоьссина цӀе а, цу Везачу Элан ЦӀенна тӀе доьссина долу Цуьнан сийлаллин нур а шайна гича, майданахь болу берриг а исраилхой бертал ийгира. Везачу Элана хастамаш бира цара, Иза дика волу дела а, Цуьнан безам цкъа а хедар боцу дела а.</verse>
				<verse number="4">Ткъа паччахьо а, дерриге халкъо а Везачу Элана сагӀа даьккхира.</verse>
				<verse number="5">Сулим-паччахьо ткъе ши эзар сту а, бӀе ткъа эзар уьстагӀ а беара сагӀина. Иштта Сулим-паччахьо а, дерриге халкъо а Делан цӀа даздира.</verse>
				<verse number="6">Динан дай бара шайн декхарш кхочушдеш лаьтташ. Дауд-паччахьо кечбайтинчу зурманийн гӀирсашца лаьтташ бара левихой. «Везачу Элан безам цкъа а хедар бац» а бохуш, Везачу Элана хастамаш мосазза бо, Дауд-паччахьо и зурманийн гӀирсаш лелабойтура. Левихошна дуьхьал а лаьтташ, динан дайша коьман маӀаш лоькхура. Исраил-мехкан дерриге а халкъ лаьтташ дара цигахь.</verse>
				<verse number="7">Везачу Элан цӀийнан кертара юккъехь йолу меттиг Далла хьалха сийлаллица язйира Сулим-паччахьо, цигахь дийнаташ дагоран а, кӀен а сагӀанаш дохура, бертан сагӀанийн дийнатийн мохь а ягайора. ХӀунда аьлча Везачу Элан цӀенна хьалхахь лаьтташ болчу сагӀа доккхучу йоьзачу кхерчана тӀе дерриг а и сагӀанаш ца тарлора.</verse>
				<verse number="8">Цу хенахь ворхӀ дийнахь Сулим-паччахьо а, дерриг а Исраилан халкъо а даздира и деза де. Берриг а исраилхой гулбеллера цигахь, Хьамат-Ӏинера дуьйна Мисар-мехкан дозанехь долу хина тӀекхаччалц.</verse>
				<verse number="9">ВорхӀ дийнахь Везачу Элана сагӀа доккху кхерч а базбира, кхин а ворхӀ дийнахь четаршна чохь Ӏаш долу денош а даздира, ткъа цул тӀаьхьа тӀедеанчу дийнахь цу денойн даздаран тӀаьхье йира.</verse>
				<verse number="10">ТӀаккха ворхӀалгӀачу беттан ткъе кхоалгӀачу дийнахь паччахьо халкъ шайн цӀа дӀадахийтира. Халкъан дегнаш хазахетта а, самукъадаьлла а дара, Даудана а, Сулимна а, Шен Исраил-мехкан халкъана а Везачу Эло динчу диканна.</verse>
				<verse number="11">Иштта дина чекхдаьккхира Сулим-паччахьо Везачу Элан ЦӀа а, паччахьан цӀа а. Везачу Элан ЦӀенна тӀехь а, шен цӀенна тӀехь а ша дан дагалаьцнарг дерриге а хила ма-дезза кхочушдира Сулим-паччахьо.</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха буса Сулим-паччахьна дуьхьал хӀоьттира Веза Эла. Цо элира: «Суна хьан доӀа хезира. ХӀинца Аса Сайна къастайо хӀара меттиг, хӀокхунах сагӀа доккху цӀа хилийтархьама.</verse>
				<verse number="13">Нагахь Аса, стигал дӀа а къевлина, догӀа ца даийтича а, я цӀоз тӀе а хецна, цуьнга латта даийтича а, я адам хӀаллак а деш, цамгар яржийча а,</verse>
				<verse number="14">Сан долахь долу халкъ Суна муьтӀахь хилла, доӀанаш деш, Соьгахьа дерзахь, шайн харц некъаш тӀера дӀа а далахь, тӀаккха стигалахь хезар ду Суна Сайн халкъан аз, цуьнан къиношна геч а дийр ду Ас, цуьнан латта а тодийр ду Ас.</verse>
				<verse number="15">ХӀинца дуьйна Сан бӀаьргаш а дӀадиллина хир ду, Сан лергаш а сема хир ду кху меттехь дечу доӀанашна.</verse>
				<verse number="16">ХӀинца дуьйна Ас даздина хӀара ЦӀа, Сайн цӀе цу чохь абаденна язъяйта лаьа Суна. Сан бӀаьргаш а, Сан дог а цу чохь хир ду массо а заманахь.</verse>
				<verse number="17">Нагахь хьо, хьайн да Дауд-паччахь ма-леллара, Суна хьалха лелахь, Аса хьайна тӀедиллинарг ахь кхочушдахь, Сан хьехамаш а, бакъонаш а ларъеш хьо лелахь,</verse>
				<verse number="18">Ас чӀагӀдийр ду хьан паччахьалла, Айса хьан дега, Дауд-паччахье, чӀагӀо еш ма-аллара: „Хьан тӀаьхьенах хир волчу цхьаццаммо даим паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тӀехь“.</verse>
				<verse number="19">Нагахь Аса шайна делла долу Сан весеташна а, Сан хьехамашна а тӀера дӀа а девлла, уьш дитина, аша кхечу деланашна гӀуллакх деш, царна корта беттахь,</verse>
				<verse number="20">тӀаккха Айса деллачу Сайн лаьтта тӀера Исраилан халкъ орамашца дӀадоккхур ду Ас. Ткъа хӀара Сайн цӀе язъян Айса къобалдина ЦӀа Сайна дуьхьалара дӀадоккхур ду. ТӀаккха дерриге а халкъашна хьалхахь кицанаш а далош, беламаш а беш, цӀе йохуьйтур ю Ас хӀокху Сайн цӀийнан.</verse>
				<verse number="21">Ткъа оцу дезачу цӀийнах лаьцна, иза сийлахь делахь а, чекх мел волучо инзарваларца хаттар дийр ду: „И хӀунда дина те Везачу Эло оцу махкана а, оцу Шен цӀенна а?“</verse>
				<verse number="22">Юха, царна жоп луш, наха эр ду: „Мисар-махкара шаьш арабаьхна волу Веза Эла, шайн дайн Дела, дӀа а тесна, уьш кхечу деланашна тӀаьхьа а бевлла, царна Ӏамал а еш, Ӏибадат дан буьйлабаларна дина царна иза. Цундела Везачу Эло баийтина царна тӀе и берриг бохам“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="8">
				<verse number="1">Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀа а, шен паччахьан цӀа а дечу юкъана ткъа шо дӀаделира.</verse>
				<verse number="2">Цул тӀаьхьа шена Хьирама елла гӀаланаш а юхаметтахӀиттийра цо. Царна чохь исраилхой баха охьаховшийра Сулима.</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха, Хьамат-Цоба а вахана, иза дӀалецира цо.</verse>
				<verse number="4">Иштта яьссачу аренгахь йолу Тадмар-гӀала а, тӀаьхьалонна кечдина сурсаташ чохь латто гӀаланаш а дӀахӀиттийра Сулима Хьамат-махкахь.</verse>
				<verse number="5">Лакхара Байт-Хьорон, Лахара Байт-Хьорон цӀе йолу чӀагӀйина гӀаланаш дӀахӀиттийра Сулима, гонах пенаш а, дӀакъовлуш долу кевнаш а деш.</verse>
				<verse number="6">Иштта, юхаметтахӀоттийра цо БаӀалт-гӀала а, шен долахь йолу тӀаьхьалонна кечдина сурсаташ чохь латтош йолу ерриг гӀаланаш а, говраш южу гӀудалкхаш латтош йолу гӀаланаш а, дошлойн говраш чохь латтош йолу гӀаланаш а. Ерриг Ярушалайм-гӀалахь а, Ливанун-махкахь а, шен долахь мел долчу лаьтта тӀехь шена ян лиъна йолу массо а хӀума йина дӀахӀоттийра Сулим-паччахьо.</verse>
				<verse number="7">Исраилан халкъ доцург, кхин адамаш а дара цигахь. Уьш дара хьетахойн а, эмархойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а,</verse>
				<verse number="8">тӀаьхьенех дисина адамаш, исраилхоша хӀаллак ца деш дитина долу. Царах Сулим-паччахьо белхаш беш болу леш бинера. Уьш тахханалц леш бу.</verse>
				<verse number="9">Ткъа исраилхойх Сулим-паччахьо леш ца бора, цаьрга шен белхаш байтархьама. Уьш я паччахьан тӀемалой, я тӀеман хьаькамаш, я тӀеман коьрта хьаькамаш, я гӀудалкхийн а, дошлойн а эскарш карахь долуш болу баьччанаш бара.</verse>
				<verse number="10">Сулим-паччахьна белхаш беш болчарна тӀехь урхалла дан дӀахӀоттийна ши бӀе шовзткъе итт стаг хилла.</verse>
				<verse number="11">Ткъа пирӀунан йоӀ, Даудан гӀалара дӀа а яьккхина, цунна ша динчу цӀа чу яьккхира Сулима. ХӀунда аьлча Сулима бохура: «Исраилхойн паччахьан Даудан цӀа чохь сан зудчун соьца Ӏан йиш яц, Везачу Элан тӀорказ чу диллина мел хилла йолу меттиг язйина йолу дела».</verse>
				<verse number="12">Везачу Элан цӀенна хьалха сагӀа даккха ша дӀахӀоттийначу кхерчана тӀехь дийнаташ дагоран сагӀанаш дохура Сулима.</verse>
				<verse number="13">Сулима дийнаташ дагоран сагӀанаш дохура, Муса-пайхамаран хьехамаша ма-бохху, шоьтан деношна а, бутт болалуш долчу деношна а, шеран кхаа дезачу денна а: совсазчу баьпкан дезачу денна а, ШавуӀот цӀе йолчу ялта чудерзоран дезачу денна а, кхалорийн дезачу денна а.</verse>
				<verse number="14">Шен дас Дауда тӀе-ма-диллара, Сулим-паччахьо динан дай дӀахӀиттийнера шен-шен рогӀехь гӀуллакх дан. Иштта левихой а дӀахӀиттийнера цо, хастамаш барна тӀехь куьйгалла дан а, хӀора дийнан хьаште хьаьжжина, динан дайшна гӀо дан а. ХӀора кевнехь дӀахӀиттийна гӀаролхой хилла, шен-шен рожехь гӀарол деш. И весет динера Делан стаг волчу Дауда.</verse>
				<verse number="15">Динан дайх а, левихойх а лаьцна паччахьо тӀедиллинчу цхьанна а хӀуманна тӀехь а, хазнашна дола дарна тӀехь а дерриг а, ма-бохху, кхочушдора цара.</verse>
				<verse number="16">Сулим-паччахьан берриге а белхаш — Везачу Элан цӀийнан бух боьттичхьана дуьйна иза дина чекхдаллалц — кхочушхилира. Иштта дина чекхдаьккхира Везачу Элан цӀа.</verse>
				<verse number="17">ТӀаккха Ӏецйон-ГӀебаррий, Элаттий гӀаланашка вахара Сулим. И гӀаланаш хӀордан йистерачу эдомхойн махкахь яра.</verse>
				<verse number="18">Шен ялхошкахула хӀордкеманаш а, хӀордах лаьцна дерг дика хууш болу кемалелорхой а хьажийра Хьирама цига. Цара, Сулиман ялхошца цхьаьна Апар-махка а бахана, исс бӀе пунт деши а даьккхина, иза Сулим-паччахь волчу схьадеара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="9">
				<verse number="1">Шеба-махкарчу зуда-паччахьна а хезира Сулим-паччахьан цӀе яхар. Иза Сулим волчу Ярушалайме еара, халчу хаттаршца и зерхьама. И зуда-паччахь еара, шеца йоккха эмкалийн ковра а ялош. Цу эмкалшна тӀехь доьттина деана хаза хьожа йогӀучу бецех даьккхина хьакхарш а, дукха деши а, деза тӀулгаш а дара. Сулим-паччахь волчу а еана, шен дагахь мел долчух лаьцна къамел дира Шеба-махкара еанчу паччахьо.</verse>
				<verse number="2">Ткъа Сулим-паччахьо цо деллачу массо а хаттаршна жоп делира, цхьа а хаттар ца дисира, цуьнга жоп ца далалуш.</verse>
				<verse number="3">Шеба-махкара еанчу паччахьна гира Сулиман хьекъалалла а, цо дина паччахьан цӀа а.</verse>
				<verse number="4">Иштта цунна гира кхузахь боу кхача а, паччахьан уллоранаш Ӏаш йолу хӀусамаш а, ялхой оьзда хилар а, церан духар а, чагӀардуттургаш а, церан духар а, Везачу Элан цӀийнан кертахь Сулим-паччахьо дохуш долу дийнаташ дагоран сагӀанаш а. И дерриг а шена гича, иза чӀогӀа инзаръяьллера.</verse>
				<verse number="5">Цо элира Сулим-паччахье: «Сайн махкахь суна хезнера хьан гӀуллакхех лаьцна а, хьан хьекъалаллех лаьцна а. Иза бакъ хилла.</verse>
				<verse number="6">Амма цара дийцинчух со тешар яцара, со ян а еана, сайн бӀаьргашна иза галлалц. ХӀаъ, хьан хьекъалаллин ах дакъа а соьга дийцина ца хилла. Хьан хьекъалалла суна хезначул дуккха а сов ду.</verse>
				<verse number="7">Мел ирс долуш хила деза хьан адамаш! Ма ирс долуш хила беза хьан ялхой, хӀора денна хьуна гӀуллакх деш, хьан хьекъале къамел хезаш болу!</verse>
				<verse number="8">Декъала хуьлда хьан Веза Дела, хьуна реза а хилла, хьо Шен паччахьан гӀанта тӀе, Шен цӀарах паччахьалла дайтархьама, охьахаийна волу! Исраилан халкъе Шен болчу безамна а, и халкъ гуттаренна а чӀагӀдархьама а, Везачу Эло хьо паччахь хӀоттийна, цу халкъана тӀехь хьоьга кхел яйтархьама а, нийсо лелаяйтархьама а».</verse>
				<verse number="9">Сулим-паччахьна ши бӀе шовзткъа пунт деши а, хаза хьожа йогӀучу бецийн дуккха а хьакхарш а, деза тӀулгаш а делира цо. Шеба-мехкан паччахьо Сулим-паччахьна елла йолу хаза хьожа йогӀу хӀуманаш саннарш цул хьалха цкъа а ца хиллера.</verse>
				<verse number="10">Апар-махкара деши деанчу Хьираман а, Сулиман а ялхоша цӀен дечиг а, деза тӀулгаш а деанера.</verse>
				<verse number="11">Оцу цӀечу дечигах Везачу Элан цӀенна а, паччахьан цӀенна а тӀейоьду тӀегӀанаш йира. Иштта зурманчашна оьшу мерз-пондарш а, дечиг-пондарш а дайтира паччахьо оцу дечигах. ЯхӀуд-махкахь хӀетталц цкъа а деана а, я гина дацара и санна долу дечиг.</verse>
				<verse number="12">Сулим-паччахьо а елира Шеба-махкарчу зуда-паччахьна цунна еззнарг а, цо еххнарг а. Цо еанчул дуккха а сов елира цунна Сулим-паччахьо. Цул тӀаьхьа зуда-паччахь ялхошца шен махка юхайирзира.</verse>
				<verse number="13">Сулим-паччахьна хӀора шарахь цхьа эзар кхо бӀе ткъе шийтта пунт деши дахьара.</verse>
				<verse number="14">Цул сов йохкаэцар лелош болчара а, совдегарша а цунна деши дала дезара. Иштта берриг а Ӏаьрби-махкарчу паччахьаша а, цуьнан шен мехкадайша а деши а, дети а дахьара Сулим-паччахьна.</verse>
				<verse number="15">ТӀаккха туьйсинчу деших дина ши бӀе доккха турс а дайтира Сулим-паччахьо. ХӀора турсана ялх бӀе шекхал туьйсина деши дахнера.</verse>
				<verse number="16">Иштта кхин а кхо бӀе кегий турсаш дайтира цо, хӀора турсана кхо бӀе шекхал туьйсина деши а дуьллуш. Туьйсина деших дина и турсаш «Ливанун-мехкан хьун» олучу цӀенош чу дӀахӀоттийра Сулим-паччахьо.</verse>
				<verse number="17">Пийлан кӀомсарех доккха паччахьан гӀант дайтира паччахьо, цунна тӀе а цӀена деши диллира.</verse>
				<verse number="18">Оцу гӀантана тӀеваха йиллина ялх тӀегӀа яра. ГӀантаца хоьттина йина дашо когийн кӀело яра. ГӀантан шина а агӀор куьйган голахӀотторгаш яра, царна хӀоранна а уллохь дина лоьман суьрташ дара.</verse>
				<verse number="19">Кхин а шийтта лоьман сурт дара, оцу ялх тӀегӀанна шинна а агӀор цхьацца лаьтташ. Оцу тайпана долу паччахьан гӀант хӀетталц цхьанна а пачхьалкхехь дина дацара.</verse>
				<verse number="20">Сулим-паччахьан хьеший тӀеоьцуш лелош йолу пхьегӀаш дашо яра. «Ливанун-мехкан хьун» цӀе йолчу цӀенош чохь лаьтташ йолу кхийолу хӀуманаш а ерриг а цӀеначу деших йина яра. Детих йина хӀумма а яцара, хӀунда аьлча Сулим-паччахь волчу заманахь детин мах чӀогӀа лахара бара.</verse>
				<verse number="21">Кхечу мехкашца йохкаэцаран гӀуллакхна вовшахтоьхна хӀордана тӀехула лелаш хинкеманаш дара Сулим-паччахьан. Хьирам-паччахьан хӀордахоша леладора и кеманаш. ХӀора кхаа шарахь цкъа хӀордкеманаш, деши, дети, пийлан кӀомсарш, маймалш, тӀаус-олхазарш а дахьаш, юхадоьрзура.</verse>
				<verse number="22">Дуьненна чуьра массо а паччахьийн чул а инзаре дукха хьал а, хьекъалалла а долуш вара Сулим-паччахь.</verse>
				<verse number="23">Дуьненна чуьра массо а паччахьашна лаьара Сулим-паччахь ган, Дала цунна делла долу инзаре хьекъалалла шайна хазийтархьама.</verse>
				<verse number="24">ХӀора шарахь дукха адам догӀура, Сулим гархьама. Шаьш догӀуш царах хӀораммо а совгӀаташ дахьара: детих, деших йина хӀуманаш, тӀеюху бедарш, герз, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш, говраш, бӀарзанаш.</verse>
				<verse number="25">Йиъ эзар гӀудалкх южу дойн керт а, шийтта эзар дин а бара Сулим-паччахьан. Паччахь Ӏаш волчу Ярушалаймехь а, гӀудалкхаш дӀахӀитточу гӀаланашкахь а дӀатарйинера уьш.</verse>
				<verse number="26">Эпрат-хин тӀера дӀадоладелла пӀелаштамхойн махкана тӀекхаччалц а, Мисар-мехкан дозане кхаччалц а йолчу меттигашкарчу массо а паччахьна тӀехь олалла дора Сулим-паччахьо.</verse>
				<verse number="27">Детин барам тӀулгаш долччул дукха хилла дӀахӀоттийра цо Ярушалайм-гӀалахь. Лаьмнийн кӀажашкахь долчу диттийн барам а дезачу баганан диттийн бараме нисдина дӀахӀоттийра Сулим-паччахьо.</verse>
				<verse number="28">Мисар-махкара а, кхечу массо а мехкашкара а дой даладора Сулимана.</verse>
				<verse number="29">Сулим-паччахьо динчу хӀуманех лаьцна — дуьххьарлерачунна тӀера тӀаьххьарлерачунна тӀекхаччалц — яздина Ната-пайхамаран тептарш тӀехь а, шилунхо волчу АхьъяхӀуга Делера болчу хаамашкахь а, НабатӀан кӀантах ЯрбаӀамах лаьцна Делера дерг гуш волчу ЯӀду-пайхамарна дуьхьал хӀуьттучу суьрташкахь а.</verse>
				<verse number="30">Сулим-паччахьо Ярушалаймехь берриг а Исраил-махкана тӀехь шовзткъа шарахь паччахьалла дира.</verse>
				<verse number="31">ТӀаккха Сулим-паччахь, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза шен ден Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Сулиман метта паччахь хилира цуьнан кӀант РахьбуӀам.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="10">
				<verse number="1">РахьбуӀам Шехем-гӀала дӀавахара, хӀунда аьлча берриге а исраилхой цига дӀабаханера, иза паччахь дӀахӀотторхьама.</verse>
				<verse number="2">Сулим-паччахьах ведда ваххарх Мисар-махкахь Ӏаш волу НабатӀан кӀант ЯрбаӀам, иза дӀахезча, цигара цӀа вирзира.</verse>
				<verse number="3">Цара, ЯрбаӀамна тӀе нах а бахийтина, цуьнга шен махка юхаверзар дийхира. ТӀаккха ЯрбаӀам а, дерриге а Исраилан халкъ а РахьбуӀам волчу дӀадахча, халкъо цуьнга элира:</verse>
				<verse number="4">«Хьан дас тхан коча деза дукъ диллира. Цо тхоьга дайтина къиза гӀуллакхаш а, тхан коча диллина деза дукъ а ахь хӀинца дайдехьа. ТӀаккха оха хьуна хьалхара гӀуллакх дийр дара».</verse>
				<verse number="5">РахьбуӀама цаьрга элира: «Кхо де дӀадаьлча, юхадуьйла суна тӀе». Халкъ дӀадахара.</verse>
				<verse number="6">РахьбуӀам-паччахь къанойх дагавелира. Оцу къаноша цуьнан дена Сулимана хьехамчаша санна гӀуллакх дора иза дийна волчу хенахь. РахьбуӀама хаьттира цаьрга: «Аса оцу халкъе хӀун аьлча бакъахь хета шуна?» — аьлла.</verse>
				<verse number="7">Къаноша цуьнга жоп делира: «Нагахь санна хьо кху халкъаца дика а хилла, ахь царна там бахь, цу халкъаца ахьа эсала къамел а дахь, уьш массо а хенахь хьуна ялхой хилла лелар бу».</verse>
				<verse number="8">Амма шега къаноша бина хьехам РахьбуӀама дӀатеттира. Шеца кхиъна болчу а, шена гӀуллакх деш болчу а кегийрхойх дагавелира иза.</verse>
				<verse number="9">Цо кегийрхошка хаьттира: «Аса хӀун жоп дала деза аьлла хета шуна оцу нахе? Цара соьга боху: „Хьан дас тхан коча диллина деза дукъ дайдехьа“»</verse>
				<verse number="10">РахьбуӀамца цхьаьна кхиъначу кегийрхоша элира: «Хьан дас шайн коча тӀедиллина деза дукъ дайдар доьхучу оцу халкъе ахьа иштта ала: „Сан цӀазапӀелг сан ден гӀодаюкъал а стомма бу.</verse>
				<verse number="11">Сан дас шун коча деза дукъ диллинера, ткъа аса и дукъ кхин а даздийр ду. Сан дас шед еттарца таӀзар дора шуна, ткъа аса, сту лоцучу гезго къовзош санна хетадолуьйтуш, таӀзар дийр ду шуна“».</verse>
				<verse number="12">Паччахьо шайга аьлла ма-хиллара, ЯрбаӀам а, дерриг халкъ а кхозлагӀчу дийнахь РахьбуӀамна тӀедеара.</verse>
				<verse number="13">Паччахьо халкъе дера жоп делира. Къаноша шена дина хьехар дӀа а теттина,</verse>
				<verse number="14">кегийрхоша шена динчу хьехаре хьаьжжина, РахьбуӀама халкъе элира: «Сан дас шун коча деза дукъ диллинера, ткъа аса и дукъ кхин а даздийр ду. Сан дас шед еттарца таӀзар дора шуна, ткъа аса, сту лоцучу гезго къовзош санна хетадолуьйтуш, таӀзар дийр ду шуна».</verse>
				<verse number="15">Иштта паччахьо ла ца дуьйгӀира халкъо шега бохучуьнга, хӀунда аьлча иза Дала нисдинера, Ша НабатӀан кӀанте ЯрбаӀаме шилунхо волчу АхьъяхӀугахула аьлларг кхочушхилийтархьама.</verse>
				<verse number="16">Массо а исраилхоша, паччахьо шайга ла ца догӀар шайна гича, паччахье элира: «Вай Даудан цӀийнах схьадевлла ма дац! Юшайн кӀентан цӀийнаца доьзна ма дац вай! Цундела шайн-шайн цӀа дерза шу, исраилхой. Даудан кӀанта ша дойла шен цӀентӀехь олалла!» Иштта исраилхой шайн-шайн цӀа дӀасабахара.</verse>
				<verse number="17">Ткъа РахьбуӀама ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь Ӏаш болчу исраилхошна тӀехь паччахьалла дира.</verse>
				<verse number="18">Цо белхалошна тӀехь хьаькам волу Адунурам вахийтира халкъана тӀе, амма исраилхоша иза, тӀе тӀулгаш а кхиссина, вийра. Ткъа паччахь волу РахьбуӀам сихха гӀудалкха чу хиира, Ярушалайме дӀавадархьама.</verse>
				<verse number="19">Иштта тахханалц а Даудан цӀенна дуьхьалбевлла Ӏаш бу исраилхой.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="11">
				<verse number="1">РахьбуӀама, Ярушалайме схьа а веана, ЯхӀудан а, Бен-Яманан а цӀийнах волу цхьа бӀе везткъа эзар тоьлла тӀемало схьагулвира. Исраилан цӀийнах болчаьрца тӀом а бина, РахьбуӀаме паччахьалла юхадерзорхьама дира цо иза.</verse>
				<verse number="2">ШамӀа-ЯхӀу цӀе йолчу Делан стаге Везачу Эло элира:</verse>
				<verse number="3">«Сулиман кӀант волчу яхӀудхойн паччахье а, ЯхӀуд-махкахь а, Бен-Яман-махкахь а Ӏаш болчу массо исраилхошка а дӀаала:</verse>
				<verse number="4">„Иштта боху Везачу Эло: ‘Шайн вежарий болчу исраилхошца тӀом бан ма гӀолаш. ХӀорра а шен-шен цӀа юхаверза, хӀунда аьлча и хилларг дерриг а Соьгара дара’“» Везачу Эло бохучуьнга ла а доьгӀна, ЯрбаӀамца тӀом бан баханчуьра уьш юхабирзира.</verse>
				<verse number="5">РахьбуӀам Ярушалаймехь вехаш вара. ЯхӀуд-махкарчу гӀаланашна чӀагӀонаш яйтира цо.</verse>
				<verse number="6">Иштта Байтлахам а, ӀайтӀам а, ТакхоӀ а,</verse>
				<verse number="7">Байт-Цур а, Соха а, Ӏадулам а,</verse>
				<verse number="8">Гати а, Мареша а, Зип а,</verse>
				<verse number="9">Адорайм а, Лахиш а, Ӏазекхи а,</verse>
				<verse number="10">ЦорӀа а, Айлон а, Хьеврон а гӀаланаш чӀагӀйира РахьбуӀама. ЯхӀуд-махкахь а, Бен-Яман-махкахь а уьш чӀагӀйина гӀаланаш яра.</verse>
				<verse number="11">Церан лардаран таронаш чӀагӀ а йина, царна тӀехь хьаькамаш а хӀиттийна, кхача, даьтта, чагӀар чохь латто гӀишлош нисйира РахьбуӀама.</verse>
				<verse number="12">ХӀора гӀалина турсаш а, гоьмукъаш а делла, кхачам боллуш чӀагӀйира цо и гӀаланаш. РахьбуӀаман карахь дара ЯхӀудан а, Бен-Яманан а тайпанаш.</verse>
				<verse number="13">Исраил-махкахь массо а маьӀӀехь мел волу динан да а, левихо а РахьбуӀам волчу схьагулвелира.</verse>
				<verse number="14">Шайн дежийлаш а, долахь мел дерг а дитина, ЯхӀуд-махка а, Ярушалайме а схьабаьхкира уьш, хӀунда аьлча ЯрбаӀама а, цуьнан кӀенташа а Везачу Элана гӀуллакх деш болчуьра дӀабаьхнера уьш.</verse>
				<verse number="15">СагӀа доккхучу гунаш тӀехь гӀуллакх дан а, гезарийн а, эсийн а куьцехь ша байтинчу цӀушна Ӏамал ян а шен динан дай къобалбинера ЯрбаӀама.</verse>
				<verse number="16">Левихой баьхкинчул тӀаьхьа, Исраилан халкъан Веза Дела лаха шайн дегнаш тӀедерзийна болу Исраилан хӀора тайпанах болу нах Ярушалайме богӀура, шайн дайн Дела волчу Везачу Элана сагӀа даккхархьама.</verse>
				<verse number="17">ЯхӀудан пачхьалкх чӀагӀ а еш, Сулиман кӀант волчу ЯрбаӀамехьа а болуш, Ӏийра уьш кхаа шарахь. ХӀунда аьлча оцу кхаа шарахь Даудан а, Сулиман а некъахула лелаш бара уьш.</verse>
				<verse number="18">Шен да Даудан кӀант Еримати волу а, нана Юшайн кӀентан Элиабан йоӀ Абу-ХӀаил йолу а Махьалат шена ялийра РахьбуӀам-паччахьо.</verse>
				<verse number="19">Махьалата РахьбуӀамна кӀентий бира: ЕӀуш, Шамар-ЯхӀу, ЗахӀим.</verse>
				<verse number="20">Махьалатал тӀаьхьа Абушаламан йоӀ МаӀха ялийра шена РахьбуӀама. Аби-ЯхӀу, Атай, Зиза, Шалумати цӀераш йолу кӀентий бира МаӀхас РахьбуӀамна.</verse>
				<verse number="21">МаӀха шен массо а зудчул а, гӀарбаш-зударел а дукхаезара РахьбуӀамна. Цуьнан берхӀитта зуда а, кхузткъа гӀарбаш-зуда а яра. Оцу зударша ткъе бархӀ кӀант а, кхузткъа йоӀ а йинера цунна.</verse>
				<verse number="22">Вежаршна юкъахь коьрта эла вина, дӀахӀоттийнера РахьбуӀама МаӀхин кӀант Аби-ЯхӀу, хӀунда аьлча иза шел тӀаьхьа паччахь хӀотто дагахь вара РахьбуӀам.</verse>
				<verse number="23">Хьекъале а лелаш, берриге а ЯхӀудан а, Бен-Яманан а мехкашкахула ша чӀагӀйинчу гӀаланашкахула дӀасахьажийра цо шен кӀентех цхьаберш. Царна, дуккха а хьал делла, алссам зударий балийра цо.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="12">
				<verse number="1">Шен паччахьалла дӀа а хӀоттийна, ша чӀагӀвелча, РахьбуӀама а, цуьнца цхьаьна берриге а исраилхоша а Везачу Элан товрат-хьехам дӀатесира.</verse>
				<verse number="2">РахьбуӀама паччахьалла до пхоьалгӀа шо долуш, исраилхой Шех дӀабирзина Дела, Мисар-мехкан паччахь волу Шушакх Ярушалаймана тӀелатийтира Везачу Эло.</verse>
				<verse number="3">Цхьа эзар ши бӀе гӀудалкх а, кхузткъа эзар дошло а валийра Шушакха шеца. Ткъа цо Мисарара далийна эскар-м дагар а ца далора. Царна юкъахь ливахой а, сукхихой а, хушахой а бара.</verse>
				<verse number="4">ЯхӀуд-махкара чӀагӀйина гӀаланаш схьа а яьхна, Ярушалайме веара Шушакх.</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха РахьбуӀамна а, Шушакхах бевдда Ярушалаймехь гулбеллачу яхӀудхойн куьйгалхошна а тӀе ШамӀа-ЯхӀу-пайхамар веара. Цо цаьрга элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Аша Со дӀатесира, цундела Аса шу а, дӀа а тесна, Шушакхан кара дӀало“».</verse>
				<verse number="6">Исраилхойн куьйгалхоша а, паччахьо а, шаьш къинош летадарна къера а хилла, элира: «Бакъ ву Веза Эла!»</verse>
				<verse number="7">Къа леторна уьш къера хилар Шена гича, Везачу Элан хӀара дош кхечира ШамӀа-ЯхӀуга: «Шаьш къинош летадарна уьш къера хиларна, хӀаллакбийр бац Аса уьш, кестта кӀелхьар а бохур бу. Шушакхехула кхочушйийр яц Аса Ярушалаймана Сайн йолу оьгӀазалла.</verse>
				<verse number="8">Амма исраилхой Шушакхан ялхой хир бу, Суна гӀуллакх дарна а, лаьттарчу паччахьашна гӀуллакх дарна а юкъахь хӀун башхо ю царна хаийтархьама».</verse>
				<verse number="9">Ярушалаймана тӀе а летта, Везачу Элан цӀа чуьра а, паччахьан цӀа чуьра а ерриге а еза хӀума дӀаяьхьира мисархойн паччахьо Шушакха. Сулим-паччахьо дайтина дашо турсаш а цхьаьна, дерриг хӀума а дӀадаьхьнера.</verse>
				<verse number="10">Церан метта РахьбуӀам-паччахьо цӀестан турсаш дайтира. Уьш паччахьан цӀийнан ков лардечу гӀаролхойн хьаькамийн караделира.</verse>
				<verse number="11">Паччахь хӀоразза а Везачу Элан цӀа чу волуш, гӀаролхой, и турсаш схьа а оьций, цуьнца богӀура. Цул тӀаьхьа гӀаролхойн цӀа чу шен метте охьадохкура цара уьш.</verse>
				<verse number="12">РахьбуӀам къера хиларна, Везачу Элан оьгӀазло цунна тӀера дӀа а елира, Дала иза кхоччуш дакъаза а ца ваьккхира. Ткъа ЯхӀуд-махкахь дика гӀуллакхаш хуьлура.</verse>
				<verse number="13">Иштта, Ярушалаймехь, чӀагӀвелла дӀа а хӀоьттина, паччахьалла дира РахьбуӀама. Иза паччахь дӀахӀуттучу хенахь, цуьнан шовзткъе цхьа шо дара. Везачу Эло Шен цӀе цигахь хилийтархьама, Исраилан массо а тайпанех Везачу Эло схьакъастийначу Ярушалайм-гӀалахь вуьрхӀитта шарахь паччахьалла дира РахьбуӀама. Цуьнан ненан цӀе яра НаӀмат. Иза Ӏамминхо яра.</verse>
				<verse number="14">Шен дог Веза Эла лахарна тӀе ца дерзийна дела, зуламе дерг дора РахьбуӀама.</verse>
				<verse number="15">РахьбуӀам-паччахьо динчу хӀуманех лаьцна, дуьххьарлерчунна тӀера тӀаьххьарлерчунна тӀекхаччалц, яздина ду ШамӀа-ЯхӀу-пайхамаран а, Делера дерг гуш волчу Ӏиду-пайхамаран а тептарш тӀехь, доьзалийн схьадаларх лаьцна долчу декъа тӀехь. РахьбуӀамна а, ЯрбаӀамна а юкъахь, уьш дийна мел бу, тӀом лаьттира.</verse>
				<verse number="16">РахьбуӀам, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза Даудан гӀалахь дӀавоьллира. РахьбуӀаман метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Аби-ЯхӀу.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="13">
				<verse number="1">ЯрбаӀама исраилхошна тӀехь паччахьалла деш долу берхӀитталгӀа шо долуш, Аби-ЯхӀу яхӀудхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="2">Ярушалаймехь кхаа шарахь паччахьалла дира цо. Аби-ЯхӀун ненан цӀе МаӀха яра. Иза гебаӀхо волчу Уриалан йоӀ хилла. Аби-ЯхӀуна а, ЯрбаӀамна а юкъахь тӀом бара.</verse>
				<verse number="3">Аби-ЯхӀус шен эскар тӀаме арадаьккхира. Цу эскарехь виъ бӀе эзар майра тӀемало вара. Ткъа ЯрбаӀам, шеца бархӀ бӀе эзар майра тӀемало а валош, тӀамца цунна дуьхьалвелира.</verse>
				<verse number="4">Эпрайм-лаьмнашкарчу ЦӀемарайм олучу цхьана гу тӀе а ваьлла, Аби-ЯхӀус бохура: «ЯрбаӀам а, массо а исраилхо а, ладогӀийша соьга!</verse>
				<verse number="5">Шуна хууш дац ткъа, Исраилан Дела волчу Везачу Эло Даудана а, цуьнан тӀаьхьенах болчарна а Исраилна тӀехь паччахьалла дар гуттаренна а делла дуйла, туьхана тӀехь чӀагӀбина болу барт барца?</verse>
				<verse number="6">Амма Даудан кӀентан Сулиман ялхо волчу НабатӀан кӀант ЯрбаӀам, карзах а ваьлла, шен олахочунна дуьхьалваьлла.</verse>
				<verse number="7">Эхь доцу, баьсса нах ЯрбаӀамна гонах а бевлла, Сулиман кӀантана РахьбуӀамна дуьхьал а бевлла, чӀагӀбелира. Ткъа къона а, дагна кӀеда а волу РахьбуӀам царна дуьхьал ца латтавелира.</verse>
				<verse number="8">ХӀинца шаьш вуно дукха долу дела а, ЯрбаӀама шун деланаш бина долу дашо эсий шайца долу дела а, Даудан тӀаьхьенах болчеран карахь йолчу Везачу Элан пачхьалкхана дуьхьал шаьш латталур ду моьттуш хир ду шу?</verse>
				<verse number="9">Ткъа аша лелхийна бац левихой а, АхӀаронан тӀаьхьенах болу Везачу Элан динан дай а, шайна юкъара динан дай дӀа а хӀиттийна, кхечу мехкашкарчу къаьмнаша уьш шайна юкъара дӀахӀиттош ма-хиллара? Ша къобалвайта эса а, ворхӀ ка а бахьаш веана волу милла а, харцделанийн динан да а вой, дӀахӀоттаво аша.</verse>
				<verse number="10">Ткъа тхох лаьцна аьлча — Веза Эла ву тхан Дела. Оха Иза дӀа а ца тесира. Везачу Элана лерина гӀуллакхаш кхочушдеш болу динан дай АхӀаронан тӀаьхьенах бу, ткъа левихоша царна гӀо до церан балха тӀехь.</verse>
				<verse number="11">Цара хӀора Ӏуьйранна а, суьйранна а дийнаташ дагоран сагӀа а доккху, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайо, Далла гергахь цӀанйинчу стоьла тӀе моггӀара бепиг охьа а дуьллу, хӀора суьйранна дашочу стогарна чуьра къуьданаш а латабо. Цу тайпана вайн Везачу Дала тӀедиллинарг оха кхочушдо, ткъа аша Иза дӀатесна.</verse>
				<verse number="12">Хьажал шайна, Дела Ша ву тхан куьйгалхо, ткъа Цуьнан динан дай кийчча лаьтташ бу, шайн турбанашца орца даккхар хазийта, шуна дуьхьал тӀом бархьама. Исраилхой! Шайн дайн Дела волчу Везачу Элаца тӀом ма белаш, хӀунда аьлча цу тӀехь шун толам хир бац».</verse>
				<verse number="13">Амма и бохучу хенахь ЯрбаӀама шен тӀемалой бахийтинера тӀехьахула яхӀудхошна кӀело ян. Иштта, ша яхӀудхошна хьалха а хуьлуш, ткъа кӀело ян бахийтинарш царна тӀехьа а хуьлуш, нисвелира ЯрбаӀам.</verse>
				<verse number="14">ЯхӀудхой юхахьаьжира — царна хьалха а, тӀехьа а дӀабоьдуш тӀом бара. Уьш Везачу Эле кхайкхира, ткъа динан дайша турбанаш лекхира.</verse>
				<verse number="15">ЯхӀудхоша тӀеман цӀогӀа туьйхира. Цара цӀогӀа тоьхча, Аби-ЯхӀуна а, яхӀудхошна а хьалха ЯрбаӀам а, берриге исраилхой а Дала эшийна дӀабехира.</verse>
				<verse number="16">Исраилхой яхӀудхойх дӀабевдира. Дала уьш яхӀудхойн карабахийтира.</verse>
				<verse number="17">Аби-ЯхӀус а, цуьнан эскаро а боккха эшам бира исраилхошна — царах тоьлла волу пхи бӀе эзар тӀемало велира.</verse>
				<verse number="18">Иштта цу дийнахь исраилхой сийсазбинера, ткъа яхӀудхошка толам баккхийтинера, уьш шайн дайн Дела волчу Везачу Элах тешна лелаш хилла болу дела.</verse>
				<verse number="19">ЯрбаӀамна тӀаьхьа а ваьлла, цхьайолу цуьнан гӀаланаш схьаехира Аби-ЯхӀус: Бетал-гӀала а, цуьнца йоьзна ярташ а, Ишана-гӀала а, цуьнца йоьзна ярташ а, Ӏепрайн-гӀала а, цуьнца йоьзна ярташ а.</verse>
				<verse number="20">Аби-ЯхӀу дийна волчу ханна кхин чӀагӀ ца делира ЯрбаӀаман олалла. Везачу Эло вожийна, иза велира.</verse>
				<verse number="21">Ткъа Аби-ЯхӀун паччахьалла чӀагӀделира. Цо шена ейтта зуда ялийра. Цуьнан ткъе шиъ кӀант, ялхитта йоӀ хилира.</verse>
				<verse number="22">Аби-ЯхӀун кхидолчу хӀуманех лаьцна — цо мел лелийначух а, цо мел аьллачух а лаьцна — яздина ду Ӏиду-пайхамаран хьехамечу тептар тӀехь.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="14">
				<verse number="1">Аби-ЯхӀу, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Аби-ЯхӀун метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Аса. Цо паччахьалла динчу заманчохь махкахь итт шарахь машар лаьттира.</verse>
				<verse number="2">Аса-паччахьо шен Везачу Далла дика а, нийса а хеташ долу гӀуллакхаш дора.</verse>
				<verse number="3">Хийрачу деланашна сагӀа доккху меттигаш а, царна Ӏибадат дан билгалдаьхна гунаш а дӀадехира Асас. Иштта харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш а дохийра цо, Ашера-далла лерина долу дечиган бӀогӀамаш а хедийра.</verse>
				<verse number="4">Шайн дайн Дела волу Веза Эла лахар а, Цуьнан товрат-хьехамаш а, весеташ а лардар а тӀедиллира Асас яхӀудхошна.</verse>
				<verse number="5">Иштта массо а яхӀудхойн гӀаланашкахь кхиболчу деланашна Ӏибадат дан билгалдаьхна гунаш а, цӀушна хаза хьожа йогӀу хӀума яго меттигаш а дӀаехира цо. Аса паччахь волчу юкъана пачхьалкх маьрша яра.</verse>
				<verse number="6">ЯхӀуд-махкахь йолу гӀаланаш, чӀагӀйина, дӀахӀиттийра, мохк цу хенахь маьрша болу дела. Цу шерашкахь Асин махкахь тӀом бацара, Везачу Эло цунна маршо елла дела.</verse>
				<verse number="7">Асас яхӀудхошка элира: «ХӀара гӀаланаш, дӀа а хӀиттийна, царна гонах пенаш дийр ду вай, шайна тӀехь бӀаьвнаш а йолуш. Иштта кевнаш а дийр ду, царна тӀе гӀораш а дохкуш. ХӀара латта хӀинца а вайн долахь ду, хӀунда аьлча вайн Веза Дела вай лийхира. Вай Иза лехна дела, Цо вайна массо а агӀор маршо а елла». Цара гӀаланаш а дӀахӀиттайора, церан кхиамаш а хуьлура.</verse>
				<verse number="8">Аса-паччахьан иштта эскар дара: ЯхӀудан тайпанах карахь даккхий турсашший, гоьмукъашший долу кхо бӀе эзар тӀемало а, Бен-Яманан тайпанах карахь кегий турсаш долу а, пхерчий кхуьссуш волу а ши бӀе везткъа эзар тӀемало а. Уьш массо а майра тӀемалой бара.</verse>
				<verse number="9">Царна тӀамца дуьхьалвелира хушахо волу Зерахь. Цуьнан эзарнашкахь-эзарнаш болу тӀемалой а, кхо бӀе гӀудалкх а яра. Иза Мареша-гӀала кхаччалц дӀавахара.</verse>
				<verse number="10">Аса-паччахьо, тӀамца цунна дуьхьал а ваьлла, шен эскар Мареша-гӀалина уллорачу Цепата олучу тогӀи чохь дӀахӀоттийра.</verse>
				<verse number="11">Иза шен Везачу Деле кхайкхира. Цо элира: «Веза Эла! Ницкъболчарна дуьхьалвалархьама гӀорасиза волчунна гӀо далуш, Хьо воцург, цхьа а вац. Тхан Веза Дела, гӀо дехьа тхуна, хӀунда аьлча Хьох тешна ма ду тхо, Хьан цӀарах хӀокху доккхачу эскарна дуьхьалдовлуш долу. Веза Эла! Хьо ву тхан Дела! Цхьа а адам ма тоьлийла Хьол».</verse>
				<verse number="12">Асина а, яхӀудхошна а хьалха эшийра Везачу Эло хушахой. Уьш бевдира.</verse>
				<verse number="13">Аса-паччахь а, цуьнца долу эскар а ГӀарар-гӀала кхаччалц царна тӀаьхьаделира. Кхин юхаметта ца хӀоттал дукха бара хушахойх хӀаллакбинарш. Везачу Элана а, Цуьнан эскарна а хьалха бохийнера уьш. ЯхӀудхоша шайна шортта хӀонс яьккхира.</verse>
				<verse number="14">Иштта ГӀарарна гонах йолу гӀаланаш а йохийра цара, хӀунда аьлча Везачу Элера къемат доьссинера царна тӀе. Оцу массо а гӀаланашкара хӀонс араяьккхира цара, хӀунда аьлча царна чохь дуккха а хӀума яра.</verse>
				<verse number="15">ЖаӀуйн четаршна тӀе а летта, шайца дуккха а жаш а, эмкалш а ялош, Ярушалайме юхабирзира уьш.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="15">
				<verse number="1">Ӏудадан кӀантана Ӏазар-ЯхӀуна тӀе Делан Са доьссира.</verse>
				<verse number="2">Ара а ваьлла, Асина тӀе а вахана, цо элира: «Аса-паччахь, ахьа а, массо а яхӀудхоша а, бен-яманхоша а, ладогӀа соьга! Веза Эла а шуьца хуьлу, шу Цуьнца хилча. Аша И лахахь, шуна карор ву Иза. Ткъа аша Иза дӀатасахь, Цо шу а дӀатосур ду.</verse>
				<verse number="3">Дуккха а йолчу хенахь бакъволу Дела а, хьехарш деш волу динан да а, товрат-хьехам а боцуш бехаш бара исраилхой.</verse>
				<verse number="4">Ткъа шаьш гаттабелла хьаьвзича, уьш Исраилан Дела волчу Везачу Элана тӀебирзира. Иза цара, лаха а лоьхура, ткъа Цо цаьрга Ша кара а войтура.</verse>
				<verse number="5">Цу заманчохь некъахошна маршо яцара, хӀунда аьлча ша лаьттахь мел деха адам сингаттамехь дара.</verse>
				<verse number="6">Халкъаш вовшашна тӀелетара, гӀаланаш вовшашна тӀегӀертара, хӀунда аьлча Дала, массо а тайпана бохамаш тӀе а бахкийтина, адамаш гӀайгӀане хьийзара.</verse>
				<verse number="7">Амма шу чӀагӀ а лойла, шун куьйгаш гӀел а ма лойла, хӀунда аьлча аша динчу гӀуллакхашна ял лур ю шуна».</verse>
				<verse number="8">И дешнаш а, Ӏудад-пайхамарехула Дала бина хаам а шена дӀахезча, дог иракарахӀоьттира Асин. Цо ЯхӀудан а, Бен-Яманан а тайпанийн берриг махкара а, Эпрайм-лома тӀера ша схьаяьхначу гӀаланашкара а дегаза цӀуш дӀабехира. Везачу Элан цӀенна хьалха лаьтташ болу Цунна сагӀа доккху кхерч карлабаьккхира Асас.</verse>
				<verse number="9">Массо а яхӀудхой, бен-яманхой, цаьрца цхьаьна баха охьахевшина болу, Эпрайман а, Маннашан а, ШимӀин а тайпанашкара болу нах тӀегулбира цо, хӀунда аьлча Аса-паччахьан Веза Дела Асица вуйла шайна хиъча, дукхахболу исраилхой цуьнгахьа бевлира.</verse>
				<verse number="10">Асас паччахьалла деш долчу пхуьйтталгӀачу шеран кхоалгӀа бутт болуш, уьш Ярушалайме схьагулбелира.</verse>
				<verse number="11">Шаьш яьккхинчу хӀонсана юкъара ворхӀ бӀе бежана а, ворхӀ эзар уьстагӀ а Везачу Элана сагӀина беара цара цу дийнахь.</verse>
				<verse number="12">Шайн доггах а, дерриг синца а шайн дайн Дела волу Веза Эла лаха барт бира цара.</verse>
				<verse number="13">Ткъа Исраилан Веза Дела лохуш воцу муьлхха а вен веза, иза жима велахь я воккха велахь, иза стаг велахь я зуда елахь.</verse>
				<verse number="14">Турбанашший, маӀашший лоькхуш, чӀогӀа мохь тоьххна, Везачу Элана тешаме хиларан дуй биира цара.</verse>
				<verse number="15">Массо а яхӀудхой сакъераделла бара оцу дуй баарх, хӀунда аьлча цара доггах деш дара иза. Дерриг а синца Веза Эла лоьхура цара, ткъа Цо цаьрга Ша каравойтура. Церан махкана гонах, массо а агӀор, маршо латтайойтура Везачу Эло.</verse>
				<verse number="16">Ур-атталла шен ден нана МаӀха а паччахьан цӀе лелорах яьккхира Аса-паччахьо, цо Ашера-харцдалла лерина дегаза болу бӀогӀам дӀахӀотторна. И дегаза цӀу, хеда а вина, цеста а цистина, Кхидрун-тогӀи чохь вагийна дӀаваьккхира Аса-паччахьо.</verse>
				<verse number="17">Исраил-махкахь сагӀа доккху гунаш цо дӀа ца даьхнехь а, ша дийна мел волчу хенахь Везачу Элана доггах тешаме вара Аса.</verse>
				<verse number="18">Шен дас а, ша а Далла къобалйина йолу пхьегӀаш а, дато а, дашо а хӀуманаш а Делан цӀа чу ехкира Аса-паччахьо.</verse>
				<verse number="19">Асас паччахьалла деш, ткъе пхуьйтталгӀа шо тӀекхаччалц тӀом бацара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="16">
				<verse number="1">Асас паччахьалла до ткъе ялхитталгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь БаӀша ЯхӀуд-махкана тӀелетира. Цо Рама-гӀала чӀагӀйира, цхьа а Аса-паччахьан лаьтта тӀера ара а, я цу тӀе а ца валийтархьама.</verse>
				<verse number="2">Везачу Элан а, паччахьан а цӀенойн хазнаш чуьра дети а, деши а, схьа а эцна, Дамасакхехь Ӏаш волчу Арам-мехкан паччахьна Бен-Хьадидана дахьийтира Аса-паччахьо. Цо Бен-Хьадиде бохура:</verse>
				<verse number="3">«Барт хуьлийла суна а, хьуна а юкъахь, сан дена а, хьан дена а юкъахь ма-хиллара. Аса хьуна дети а, деши а доуьйту. Ахьа хьайна а, исраилхойн паччахь волчу БаӀшина а юкъахь болу барт бохабе, иза суна тӀегӀоьртина волчуьра дӀавалийтархьама».</verse>
				<verse number="4">Аса-паччахьо бохучуьнга ладуьйгӀира Бен-Хьадида. Цо шен тӀеман хьаькамаш бахийтира Исраил-мехкан гӀаланашна тӀелата. Цара толам баьккхира Ӏаюн а, Дан а, Абал-Майм а гӀаланашна а, Наптал-махкарчу тӀаьхьалонна кечдина долу сурсаташ чохь латтош йолу ерриг гӀаланашна а тӀехь.</verse>
				<verse number="5">И дерриг а шена хезча, Рама-гӀала чӀагӀъяр саца а дина, шен болх битира БаӀша-паччахьо.</verse>
				<verse number="6">Ткъа Аса-паччахьо массо а яхӀудхой схьагулбира. БаӀшас Рама-гӀала чӀагӀъеш лелош болу тӀулг а, дечиг а цигара арадаьккхира. Цаьрца Бен-Яманан ГибаӀ-гӀала а, МицӀпа-гӀала а чӀагӀйира Аса-паччахьо.</verse>
				<verse number="7">Цу хенахь яхӀудхойн паччахьна Асина тӀе Делера дерг гуш волу Хьанани веара. Цо Асе элира: «Хьайн Везачу Далла тӀетовжар а доцуш, хьо арамхойн паччахьна тӀетевжина дела, хьан карара дӀадели арамхойн паччахьан эскар.</verse>
				<verse number="8">Хушахой а, ливахой а хьан болчул сов ницкъ а, вуно дукха гӀудалкхаш а, дошлой а болуш бацара ткъа? Амма хьо Везачу Элана тӀетевжаш хилла дела, Цо уьш хьан карабеллера.</verse>
				<verse number="9">ХӀунда аьлча Везачу Элан бӀаьргаша дерриге а латта дӀалоцу, Шех дог тешна Ӏаш болчарна гӀо дархьама. Ахьа ойла ца еш хӀума дина хӀинца. И бахьана долуш хӀинца дуьйна тӀемаш бан дезар ду хьан».</verse>
				<verse number="10">Асас, аьллачунна эргӀа а ваьлла, Делера дерг гуш волчунна оьгӀаз а вахана, иза набахти чу воьллира. Иштта халкъана юкъара цхьацца болчу нахана ницкъ бора цо цу хенахь.</verse>
				<verse number="11">Аса-паччахьо динчу гӀуллакхех лаьцна, дуьххьарлерчунна тӀера тӀаьххьарчунна тӀекхаччалц, яздина ду яхӀудхойн а, исраилхойн а паччахьийн тептар тӀехь.</verse>
				<verse number="12">Асас паччахьалла до ткъе ткъайоьсналгӀа шо долуш, цуьнан когех цамгар кхийтира. И цамгар чӀогӀа кхетта йоллушехь, Везачу Элана тӀе а ца воьрзуш, лоьрашкара шена гӀо дар лийхира Аса-паччахьо.</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха ша паччахьалла до шовзткъе цхьалгӀа шо долуш, Аса-паччахь, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира.</verse>
				<verse number="14">Даудан гӀалахь йолчу шена кечйинчу къубби чохь дӀавоьллира Аса. Хаза хьожа йогӀучу хӀуманех а, тайп-тайпана хьакхарех а буьзначу барамна тӀе диллинера цуьнан дакъа. Асина лерина вуно йоккха цӀе латийра.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="17">
				<verse number="1">Асин метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант ЯхӀушапти. Иза исраилхошна дуьхьал чӀагӀвелла дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="2">ЯхӀуд-махкарчу чӀагӀйина дӀахӀоттийначу ерриге а гӀаланашкахь эскарш дӀахӀиттийра цо. Иштта ЯхӀуд-мехкан а, цуьнан дас Асас шен дола баьхна хиллачу Эпрайм-мехкан гӀаланашкахь а эскаран тобанаш дӀахӀиттийра ЯхӀушаптис.</verse>
				<verse number="3">Ша паччахьалла дан волавеллачу юьхьарчу хенахь шен дайх волу Дауд хьалха лелла хиллачу некъашкахула а лелаш, ЯхӀушапти БаӀалан цӀушна тӀаьхьа ца хӀоьттина дела, цуьнца Веза Эла вара.</verse>
				<verse number="4">ЯхӀушаптис, исраилхоша лелориг а ца лелош, шен ден Дела а лоьхура, иза Цуьнан весеташца а лелара.</verse>
				<verse number="5">Везачу Эло ЯхӀушаптин карахь йолу пачхьалкх чӀагӀйира. ЯхӀудхоша массара а ЯхӀушаптина совгӀаташ кхоьхьура. Цуьнан дуккха а хьал а дара, сийлалла а лакхаделира.</verse>
				<verse number="6">Везачу Элан некъахула лела даггара тӀевирзина вара ЯхӀушапти. ЯхӀуд-махкара сагӀа доккху гунаш а, Ашера-далла лерина болу дечиган бӀогӀамаш а дӀадехира цо.</verse>
				<verse number="7">Ша паччахьалла дечу кхоалгӀачу шарахь баьччанаш болу Бен-Хьайл, Ӏабди-ЯхӀу, Закри-ЯхӀу, Натунаил, Мика-ЯхӀу яхӀудхойн гӀаланашкахула халкъана хьехамаш бан бахийтира ЯхӀушаптис.</verse>
				<verse number="8">Цаьрца цхьаьна хӀара левихой бахийтира цо: ШамӀа-ЯхӀу, Натан-ЯхӀу, Забди-ЯхӀу, ӀасахӀал, Шамирамути, ЯхӀуната, Адан-ЯхӀу, ТӀуби-ЯхӀу, ТӀуба-Адан-ЯхӀу. Иштта динан дай болу Эли-ШамаӀ а, Йорам а вахийтира ЯхӀушаптис цаьрца.</verse>
				<verse number="9">Везачу Элан товрат-хьехамаш тӀехь болу тептар карахь а долуш, хьоьхура цара ЯхӀуд-махкахь. ЯхӀуд-махкарчу ерриге а гӀаланашкахула чекх а буьйлуш, халкъана хьехарш дора цара.</verse>
				<verse number="10">ЯхӀушаптина дуьхьал тӀом ца бечу ЯхӀуд-махкана гонахарчу пачхьалкхашна тӀехь Везачу Элан кхерам бара.</verse>
				<verse number="11">ПӀелаштамхошкара совгӀаташ а, йолана дети а дахьара ЯхӀушаптина. Ӏаьрбихоша жа даладора цунна: ворхӀ эзар ворхӀ бӀе уьстагӀ а, ворхӀ эзар ворхӀ бӀе бож а.</verse>
				<verse number="12">ЯхӀушаптин хьал алсамдолуш дара. ЯхӀуд-махкахула цо гӀепаш а, тӀаьхьалонна долу хӀума дӀадуьллу гӀаланаш а йира.</verse>
				<verse number="13">ТӀаьхьалонна дӀадиллина дуккха а хӀума дара ЯхӀушаптин яхӀудхойн гӀаланашкахь. Ткъа Ярушалаймехь доьналла долу дуккха а тӀемалой а бара цуьнан.</verse>
				<verse number="14">Иштта ю тӀемалойн тобанаш, церан доьзалшка хьаьжжина. ЯхӀудан тайпанарчу эзар тӀемалочунна тӀехь болу хьаькамаш хӀорш хилла: хьаькам волу Ӏадани а, цуьнан кхо бӀе эзар майра тӀемало а;</verse>
				<verse number="15">хьаькам волу ЯхӀу-Хьана а, цуьнан ши бӀе везткъа эзар тӀемало а;</verse>
				<verse number="16">хьаькам волу а, Везачу Элан дуьхьа шен дахар тӀеман гӀуллакхна къобалдина волу а Зикрин кӀант Ӏамси-ЯхӀу а, цуьнан ши бӀе эзар майра тӀемало а.</verse>
				<verse number="17">Бен-Яманан тайпанара хьаькамаш хӀорш хилла: майра тӀемало волу ЭлидаӀ а, шайн карахь секхаӀедаш а, каралоцу турсаш а долу цуьнан ши бӀе эзар тӀемало а;</verse>
				<verse number="18">хьаькам волу ЯхӀу-Забди а, карахь герз лелош волу цуьнан цхьа бӀе везткъа эзар тӀемало а.</verse>
				<verse number="19">Уьш бара Ярушалайм-гӀалахь паччахьна гӀуллакх до тӀемалой. Берриге а ЯхӀуд-махкарчу чӀагӀйинчу гӀаланашкахь паччахьо дӀахӀиттийна хиллачу тӀемалойл сов бара уьш.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="18">
				<verse number="1">ЯхӀушаптин дуккха а хьал а дара, иза чӀогӀа лоруш а вара. Ахьабца гергарло тесира цо.</verse>
				<verse number="2">Масех шо даьлча, ЯхӀушапти Шамран-гӀала Ахьабана тӀевахара. ЯхӀушаптина а, цуьнца болчу нахана а лерина дуккха а жа а, хьайбанаш а дайира Ахьаба. Ахьаб ЯхӀушапти шегахьа ваккха гӀоьртира, иза шеца цхьаьна ГалӀад-махкарчу Рамат-гӀалина тӀелатийтархьама.</verse>
				<verse number="3">Исраилхойн паччахьо Ахьаба яхӀудхойн паччахье ЯхӀушаптига элира: «Хьо вогӀур варий соьца ГалӀадерачу Рамат-гӀалина тӀелата?» ЯхӀушаптис цуьнга жоп делира: «Вай гергара ма ду. Сан халкъ а хьан халкъ ма ду. Дера догӀур ду тхо хьоьца тӀаме!»</verse>
				<verse number="4">ЯхӀушаптис кхидӀа а исраилхойн паччахье элира: «Амма цкъа хьалха Везачу Эло хӀун боху хаттийтахьа».</verse>
				<verse number="5">Исраилхойн паччахьо, виъ бӀе пайхамар схьа а гулвина, цаьрга хаьттира: «ГалӀадерачу Рамат-гӀала тӀамца даха дезий те тхо, я ца деза те?» Цара жоп делира: «Хьо ваха веза. Везачу Эло хьан кара схьалур ю иза».</verse>
				<verse number="6">ТӀаккха ЯхӀушаптис хаьттира: «Кхин цхьа а вуй те кхузахь Везачу Элан пайхамар? Цуьнгахула а Везачу Эле хаттар дийр дара вай».</verse>
				<verse number="7">Исраилхойн паччахьо ЯхӀушаптига элира: «Кхин а цхьа пайхамар ву, шегахула Везачу Эле хаттар дан мегар долуш. Амма суна иза ца веза, хӀунда аьлча цо цкъа а сох лаьцна Делера дика хаам ца бо, вониг бен. Иза Йимлаан кӀант Мика-ЯхӀу ву». «Паччахь, ма алахьа иштта», — элира ЯхӀушаптис.</verse>
				<verse number="8">ТӀаккха, паччахьан кертара цхьа ялхо схьа а кхайкхина, исраилхойн паччахьо цуьнга элира: «Вало, сихха Йимлаан кӀант Мика-ЯхӀу схьавалош вола».</verse>
				<verse number="9">Исраилхойн паччахь Ахьаб а, яхӀудхойн паччахь ЯхӀушапти а, шаьшшинна тӀе паччахьан духарш а дуьйхина, хӀорра а шен паччахьан гӀанта тӀе охьахиъна вара. Уьш Шамран-гӀалин кевнехьа йолчу хьаьттарехь бара. Берриге а пайхамарш бара, пайхамаралла а деш, царна хьалха дӀахӀиттина.</verse>
				<verse number="10">КинаӀанан кӀанта ЦӀадукъ-ЯхӀус, шена тӀе аьчка маӀаш а ехкина, элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Арамхой хӀаллакбина охьабахккалц хӀара маӀаш Ӏуьттур ю ахьа царна“».</verse>
				<verse number="11">Массо а пайхамаро а, цхьатерра хаам а беш, бохура: «ГалӀадерачу Рамат-гӀалина тӀелата, дерриг а кхиамца чекхдер ду. Везачу Эло паччахьан кара схьалур ю иза».</verse>
				<verse number="12">Мика-ЯхӀуга схьакхайкха ваханчу стага цуьнга элира: «Пайхамарша, шаьш хиндолчух хаамаш бечу хенахь, массара а цхьатерра паччахьна диканиг олу. Хьан дош а хилахьара цара хӀораммо а бохучух терра. Ахьа а диканиг алахьа».</verse>
				<verse number="13">Мика-ЯхӀус цуьнга элира: «Дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо аса, сайга сан Дала боххург айса дӀаэриг хиларх».</verse>
				<verse number="14">Пайхамар паччахьна тӀевеара. Паччахьо Мика-ЯхӀу-пайхамаре хаьттира: «Мика-ЯхӀу! Ваха везий те со тӀамца ГалӀадерачу Рамат-гӀала я ца веза?» Мика-ЯхӀу-пайхамаро паччахье элира: «ДӀагӀо хьо. Кхиам хир бу хьан. Иза хьан кара схьалур ю хьуна».</verse>
				<verse number="15">ТӀаккха паччахьо цуьнга элира: «Мосазза чӀагӀо яйта еза те аса хьоьга, Везачу Элан дуьхьа билггал бакъдерг бен соьга хӀумма а ма алахьара аьлла?»</verse>
				<verse number="16">ТӀаккха Мика-ЯхӀу-пайхамаро элира: «Суна хьалха Делера сурт хӀоьтти, берриг а исраилхой, шайна тӀехь Ӏу воцу уьстагӀий санна, лаьмнашкахула дӀасабаьржина. ТӀаккха Везачу Эло элира: „Вац царна тӀехь хьаькам, уьш хӀорра а шен цӀа маьрша вухавоьрзийла“».</verse>
				<verse number="17">Исраилхойн паччахьо ЯхӀушаптига элира: «Аса элирий хьоьга, цо цкъа а сох лаьцна Делера дика хаам ца бо, вониг бен!»</verse>
				<verse number="18">ТӀаккха Мика-ЯхӀу-пайхамаро элира: «Ткъа хӀинца Везачу Эло бохучуьнга ладогӀа! Суна гира, Веза Эла Шен Ӏаршана тӀе охьахиъна хилар, ткъа стигаларчу гуламан массо а декъашхой Цунна уллохь лаьттара — Цуьнан аьтту а, аьрру а агӀор.</verse>
				<verse number="19">Везачу Эло элира: „Шух муьлхачо тӀеерзор яра исраилхойн паччахь волчу Ахьабан ойла, иза тӀамца ГалӀадарчу Рамат-гӀала а вахийтина, цигахь хӀаллакьхилийтархьама? Цхьаммо цхьаъ олура, вукхо важа олура“.</verse>
				<verse number="20">ТӀаккха стигаларчу гуламан цхьана декъашхочо, Везачу Элана хьалха дӀа а хӀоьттина, элира: „Аса дийр ду“. Везачу Эло хаьттира: „Муха?“</verse>
				<verse number="21">Стигалара гуламан оцу декъашхочо жоп делира: „Аса, вахана, цуьнан мел болчу пайхамаршка харцдерг олуьйтур ду“. Везачу Эло элира: „Ахьа иза берта а валаве, хьо ларор ву иза дан. Ваха а гӀой, иштта де ахьа“.</verse>
				<verse number="22">Иштта, Везачу Эло оцу хьан массо а пайхамаршка хьоьга харцдерг алийтира. Везачу Эло хьуна тӀе бохам баийта сацам ма бина!»</verse>
				<verse number="23">ТӀаккха КинаӀанан кӀанта ЦӀадукъ-ЯхӀус, Мика-ЯхӀу-пайхамаран бесни тӀе тӀара а тоьхна, элира: «И бохург хӀун ду? Везачу Элан Са, хьоьгахула хаам бархьама, сох дӀакъаьстина ткъа?»</verse>
				<verse number="24">Мика-ЯхӀус элира: «Хьажалахь, хьо къайлавалархьама чухуларчу цхьана чоьнна чу ваханчу дийнахь иза хуур ду хьуна».</verse>
				<verse number="25">Исраилхойн паччахьо элира: «Мика-ЯхӀу-пайхамар, схьа а лаций, гӀалин хьаькамна Аминна тӀе а, паччахьан кӀантана Юашина тӀе а вига.</verse>
				<verse number="26">Аша цаьрга дӀаала: „Иштта боху паччахьо: ‘ХӀара стаг набахти чу волла. Со маьрша цӀа верззалц, кӀеззиг бепиг а, хи а бен, хӀумма а ма ло цунна’“».</verse>
				<verse number="27">Мика-ЯхӀус элира: «Нагахь хьо маьрша вухаверзахь, соьгахула хаам бинарг Веза Эла ца хилла». Кхин а цо элира: «Массо а халкъо ладугӀийла аса аьллачуьнга!»</verse>
				<verse number="28">Исраилхойн паччахь а, яхӀудхойн паччахь ЯхӀушапти а ГалӀадерачу Рамат-гӀалина тӀелетира.</verse>
				<verse number="29">Ахьаб-паччахьо ЯхӀушапти-паччахье элира: «Аса, со мила ву ца хаийта, сайна тӀера духар а хийцина, тӀом дӀаболор бу. Ткъа ахьа хьайн паччахьан духар тӀедуха». Иштта, ша мила ву ца хаийта, шена тӀе хийцина хӀума а юьйхина, тӀом дӀаболийра исраилхойн паччахьо.</verse>
				<verse number="30">Арамхойн паччахьо шен тӀеман гӀудалкхийн хьаькаме омра динера: «Царах я жимачуьнца а, я воккхачуьнца а тӀом ма бе, веккъа цхьана исраилхойн паччахь воцучуьнца», — аьлла.</verse>
				<verse number="31">ЯхӀушапти шайна гича, гӀудалкхийн хьаькамашна иза билггал исраилхойн паччахь ву моьттира. Арамхоша ЯхӀушаптина тӀелатархьама, цунна го бира. ЯхӀушаптис мохь хьаькхира, ткъа Везачу Эло цунна гӀо дира. Дала уьш юхабехира цунна уллора,</verse>
				<verse number="32">хӀунда аьлча, иза исраилхойн паччахь воций а хиъна, гӀудалкхийн хьаькамаш цунна тӀаьхьабевллачуьра севцира.</verse>
				<verse number="33">Цу хенахь цхьана стага ларамаза пха кхоьссира. И пха исраилхойн паччахьна тӀехь долчу гӀаьгӀнан дакъошна юккъе кхийтира, цо паччахьна чов йира. ГӀудалкх лелош волчуьнга Ахьаб-паччахьо элира: «Юха а верзий, тӀом бечу меттера дӀаваккха со — суна чов йина».</verse>
				<verse number="34">Амма цу дерриг а дийнахь тӀом чӀогӀа лаьтташ бара. Исраилхойн паччахьо суьйре тӀеяллалц шен гӀудалкха чохь арамхошна дуьхьал ша лоттуьйтура, ткъа малх бузучу хенахь иза велира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="19">
				<verse number="1">ЯхӀудхойн паччахь ЯхӀушапти шен цӀа Ярушалайме маьрша юхавоьрзуш вара.</verse>
				<verse number="2">Цунна дуьхьал ваха аравелира Делера дерг гуш волу Хьананин кӀант ЯхӀу-пайхамар. Цо паччахье элира: «Веза Эла ца везачу, Ӏесачу нахана гӀо дан дезарий те ахьа? И бахьана долуш Везачу Эло оьгӀазло йина хьуна.</verse>
				<verse number="3">Делахь а, хьох диканиг доллуш а карийна Цунна, хӀунда аьлча, ЯхӀуд-махкара Ашера-далла лерина долу дечиган бӀогӀамаш дӀа а даьхна, хьайн дог Дела лахарна тӀедерзийна ахьа».</verse>
				<verse number="4">ЯхӀушапти Ярушалаймехь Ӏаш вара. Юха а, Беар-ШабаӀ-гӀалара дуьйна Эпрайм-лома тӀекхаччалц дӀа а вахана, шен халкъана тӀе а воьдуш, уьш церан дайн Дела волчу Везачу Элана тӀеберзорна кхайкхам бора цо.</verse>
				<verse number="5">ЯхӀуд-махкарчу чӀагӀйинчу хӀора а гӀали чохь кхелахой дӀахӀиттийра ЯхӀушаптис.</verse>
				<verse number="6">Кхелахошка цо элира: «Шаьш дийриг хӀун ду хьовсалаш, аша йийриг адамийн дуьхьа йолу кхел яц, иза Везачу Элан дуьхьа ю. Аша кхел ечу гӀуллакх тӀехь Иза шуьца ву.</verse>
				<verse number="7">Везачу Эле болчу ларамах дуьзна хуьлийла шу. Шаьш дийриг хӀун ду а хьожуш делаш, хӀунда аьлча вайн Везачу Делаца яц харцо, я озабезам бар, я кхаьънаш эцар».</verse>
				<verse number="8">Ярушалаймехь а левихойх а, динан дайх а, исраилхойн доьзалийн баьччанех а болу цхьаболу нах Везачу Элан йолчу кхеле а, гӀалин бахархойн къовсамехь йолчу кхеле а озорна долчу гӀуллакхашка дӀахӀиттийра ЯхӀушаптис.</verse>
				<verse number="9">Царна тӀе а дуьллуш, цо элира: «Везачу Эле ларамах дуьзна хиларца а, тешаме хиларца а, доллучу дагца а делаш шаьш дийриг.</verse>
				<verse number="10">Шайн гӀаланашкахь бехачу шун вежаршкара шайна тӀедеанчу муьлххачу а къовсамечу гӀуллакх тӀехь, иза цӀий Ӏанорца я товрат-хьехамашца, я весеташца, я парзашца, я кхидолчу тӀедехкинаршца доьзна делахь а, уьш Везачу Элана хьалха бехке ца хилийта царна хьехамаш бе. Иштта гӀуллакхаш де, тӀаккха аша къилахь дерг дийр дац.</verse>
				<verse number="11">Коьрта динан да волу Ӏамар-ЯхӀу, аша Везачу Элана лерина дечу муьлххачу а гӀуллакхна тӀехӀоттийна ву. Ткъа ЯхӀудан тайпанан баьчча волу ИсмаьӀалан кӀант Забди-ЯхӀу паччахьна лерина дечу муьлххачу а шун гӀуллакхна тӀехьажа хӀоттийна ву. Иштта левихой оцу гӀуллакхашна тӀехь гӀодийраш хир бу шун. ЧӀагӀдаларца кхочушде шайна тӀедиллина гӀуллакх, ткъа Веза Эла диканиг дечаьрца хуьлийла».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="20">
				<verse number="1">Цул тӀаьхьа муабахой а, Ӏамминхой а, цаьрца цхьаьна цхьаболу маӀунхой а ЯхӀушаптина тӀамца чугӀоьртира.</verse>
				<verse number="2">Цхьаболчу геланчаша, схьа а баьхкина, ЯхӀушаптига хаам бира: «Дуьрачу хӀордан дехьара Эдом-махкара хьуна дуьхьалдаьлла догӀуш вуно доккха эскар ду. Хьаццон-Тамарехь бу уьш хӀинцале а», — аьлла. (И меттиг кхечу тайпана Ӏейн-ГӀади олуш ю.)</verse>
				<verse number="3">Са бӀарз а делла, ЯхӀушаптис сацам бира Везачу Элах дагавала. Берриге а ЯхӀуд-махкахь марха кхаба дезар дӀахьедира цо халкъе.</verse>
				<verse number="4">ЯхӀудхой Везачу Эле гӀо деха схьагулбелира. ЯхӀуд-махкарчу ерриге а гӀаланашкара баьхкира уьш, Везачу Эле шайна гӀо дар дехархьама.</verse>
				<verse number="5">Везачу Элан цӀийнан хьалха керлачу кертахь яхӀудхойн а, ярушалаймхойн а гуламехь, дӀа а хӀоьттина,</verse>
				<verse number="6">ЯхӀушаптис элира: «Тхан дайн Дела волу Веза Эла! Хьо вац ткъа стигалахь волу Дела? Хьо ву массо а халкъийн пачхьалкхашна тӀехь олалла деш! Хьан карахь бу ницкъ а, чӀагӀо а! Хьуна дуьхьал цхьа а латталур вац!</verse>
				<verse number="7">Тхан Дела, Ахьа ца лаьхкира кху мехкан бахархой Хьайн Исраилан халкъана хьалха, и латта Хьайн доттагӀа волчу ИбрахӀиман хӀуна гуттаренна а дӀа а луш?</verse>
				<verse number="8">Ткъа уьш цигахь баха хевшира. Хьуна лерина деза цӀа а дина, цара бохура:</verse>
				<verse number="9">„Нагахь санна тхуна тӀе цхьа бохам хӀоттахь: хуьлийла иза я таӀзар деш долу тур, я цамгарийн ун, я мацалла, тӀаккха тхо хӀокху цӀенна хьалха Хьуна хьалха дӀахӀуьттур ду, хӀунда аьлча Хьан цӀе кху цӀа чохь ю. Тхо гаттаделла хьаьвзича, Хьоьга кхойкхур ду. Ткъа Ахьа, тхо дӀа а хезна, кӀелхьардохур ду“.</verse>
				<verse number="10">ХӀинца Ӏамминхой а, муабахой а, СеӀир-ломара бахархой а тхуна тӀелеташ бу. Ткъа Мисар-махкара тхан дай арабевлла схьабогӀучу хенахь, Ахьа уьш оцу халкъийн мехкашкахула чекх ца бовлийтира. Цундела тхан дай, царах дӀа а бирзина, и халкъаш хӀаллакдаза дитинера.</verse>
				<verse number="11">Ткъа хӀинца уьш тхуна бекхам беш бу, Ахьа тхан дола схьаделлачу лаьтта тӀера тхо дӀалахка а баьхкина.</verse>
				<verse number="12">Тхан Дела! Ахьа кхел ехьа царна. ХӀунда аьлча тхуна тӀегӀоьртинчу оццул дукха болчу царна дуьхьалдовла ницкъ бац тхан. Тхаьш хӀун дан деза ца хаьа тхуна, амма тхан бӀаьргаш Хьоьгахьа бирзина бу!»</verse>
				<verse number="13">Везачу Элана хьалха лаьтташ бара яхӀудхойн берриге а божарий шайн карарчу берашца а, зударшца а, улло даьхначу берашца а.</verse>
				<verse number="14">Цу хенахь Матан-ЯхӀун кӀант волчу ЯӀиалан кӀентан БенъяхӀун кӀант волчу Закри-ЯхӀун кӀантана Яхьазиална тӀе гуламна юккъехь Везачу Элан Са доьссира. Яхьазиал Асайпан тӀаьхьенах волу левихо вара.</verse>
				<verse number="15">Цо элира: «Массо а яхӀудхой, Ярушалайман бахархой, ЯхӀушапти-паччахь, ладогӀалаш соьга! Везачу Эло шуьга иштта боху: „Оцу вуно доккхачу эскарх кхера а ма ло, дог доьхна а ма хила, хӀунда аьлча и тӀом шун бац, иза Делан тӀом бу.</verse>
				<verse number="16">Шу кхана царна дуьхьал дӀагӀо. Уьш Циц-Ӏинехула хьалабевр бу. ТогӀина йистехь Яруал цӀе йолчу яьссачу аренга дӀакхоччуш карор бу шуна уьш“.</verse>
				<verse number="17">Ткъа хӀинца аша бан ца беза и тӀом. Шу, дӀа а хӀиттий, хьоьжуш Ӏе шайна Везачу Элера хир долчу кӀелхьардовларе. ЯхӀудхой, Ярушалаймхой! Шу кхера а ма ло, дог доьхна а ма хила. Шу кхана царна дуьхьалдовла, ткъа Веза Эла шуьца хир ву».</verse>
				<verse number="18">ТӀаккха ЯхӀушаптис лаьтта кхаччалц корта охьатаӀийра. Иштта берриге а яхӀудхой а, ярушалаймхой а Везачу Элана хьалха охьатаьӀира, Цунна Ӏибадат дархьама.</verse>
				<verse number="19">КхахӀатхойн а, кхорахьахойн а, тӀаьхьенех болчу левихоша, хьала а гӀевттина, дикка аз а айдина, Исраилан Дела волчу Везачу Элана хастамаш бира.</verse>
				<verse number="20">Ӏуьйранна, хьалххе хьала а гӀевттина, уьш ТакхоӀ-гӀалина уллохь йолчу яьссачу аренга дӀабуьйлабелира. Уьш дӀабоьлхучу хенахь, ЯхӀушаптис, дӀа а хӀоьттина, элира: «ЯхӀудхой, ярушалаймхой, ладогӀалаш соьга! Шайн Везачу Делах тешна хила — шу чӀагӀдийр ду! Цуьнан пайхамарех теша, тӀаккха кхиамаш хир бу шун».</verse>
				<verse number="21">Цо, халкъах дага а ваьлла, Везачу Элана лерина назманчаш дӀахӀиттийра, уьш карахь герз долчарна хьалха а бовлийтина, шайна тӀехь деза духарш а долу, хастамаш а беш, цаьрга алийтархьама: «Баркалла ала Везачу Элана, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу!»</verse>
				<verse number="22">Цара, маьхьарий а детташ, хастамаш бечу хенахь, Везачу Эло яхӀудхошна тӀегӀорта баьхкинчу Ӏамминхошна а, муабахошна а, СеӀир-ломарчу бахархошна а дуьхьал кӀело йийраш дӀахӀиттийра. Уьш ийшира.</verse>
				<verse number="23">Ӏамминхой а, муабахой а СеӀир-ломарчу бахархошна чугӀоьртира, уьш байина дӀабахархьама. Шаьш СеӀир-ломара бахархой хӀаллакбина бевлча, цара вовшийн байира.</verse>
				<verse number="24">Яьссачу аренгара гунаш тӀе а бевлла, оцу вуно дукха долчу эскаре дӀахьаьжча, яхӀудхошна гира лаьттахь Ӏохку декъий, шайна юкъара цхьа а кӀелхьарваьлларг а воцуш.</verse>
				<verse number="25">ЯхӀушапти а, цуьнан эскар а хӀонс схьаэца дахара. Царна дуккха а хьал, духар, еза хӀуманаш карийра цигахь. И хӀуманаш вуно дукха хиларна, дӀа а ца яхьалора цаьрга уьш. Кхаа дийнахь дӀагулйира цара и хӀонс, оццул дукха хиллера иза!</verse>
				<verse number="26">Ткъа доьалгӀачу дийнахь Бархи-тогӀи чохь гулбелира уьш, хӀунда аьлча цигахь Веза Эла декъалвира цара. Цундела оцу меттигах хӀинца а олу «Бархи-тогӀи» (иза «декъалваран тогӀи» бохург ду).</verse>
				<verse number="27">Берриге а яхӀудхой а, ярушалаймхой а, шайн коьртехь ЯхӀушапти а волуш, самукъадаларца Ярушалайме юхабирзира, хӀунда аьлча Везачу Эло церан мостагӀашна тӀехь толам баккхар нисдира царна.</verse>
				<verse number="28">Тайп-тайпана дечиг-пондарш а, турбанаш а лоькхуш Ярушалайме Везачу Элан цӀенна тӀе баьхкира уьш.</verse>
				<verse number="29">Гонахарчу латтанийн ерриге а пачхьалкхашкарчу адамашна тӀе Делан кхерам боьссира, Исраилан мостагӀашна дуьхьал тӀом бинарг Веза Эла хиллийла шайна хезча.</verse>
				<verse number="30">ЯхӀушаптин пачхьалкх къепе хилла дӀахӀоьттира, Дала массо а агӀор паргӀато а елира цунна.</verse>
				<verse number="31">Иштта ЯхӀуд-махкахь паччахьалла дира ЯхӀушаптис. ЯхӀушапти паччахь дӀахӀуттуш цуьнан ткъе пхийтта шо дара. Цо ткъе пхеа шарахь паччахьалла дира Ярушалаймехь. Цуьнан ненан цӀе Ӏазубат яра. Иза Шилхьайн йоӀ яра.</verse>
				<verse number="32">ЯхӀушапти шен ден Асин некъахула лелаш вара. Иза цу некъа тӀера дӀа а ца велира, Везачу Элан лаамехь а лийлира.</verse>
				<verse number="33">Делахь а, тӀехь сагӀа доккху гунаш цо дӀадахаза дисина дара. Халкъо хӀинца а шен дог кхоччуш тӀе ца дерзийнера шайн дайн Далла.</verse>
				<verse number="34">ЯхӀушаптин кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — дуьххьарлерчунна тӀера тӀаьхьарчунна тӀекхаччалц — яздина ду Хьананин кӀант волчу ЯхӀун дӀаяздинарш тӀехь. Уьш исраилхойн паччахьийн тептарна юкъа дахийтина.</verse>
				<verse number="35">Амма цул тӀаьхьа яхӀудхойн паччахьо ЯхӀушаптис Ӏеса лелаш волчу исраилхойн паччахьца Ахьаз-ЯхӀуца доттагӀалла тесира.</verse>
				<verse number="36">Таршаш-махка дахийта хӀордкеманаш дархьама, Ахьаз-ЯхӀуца барт бира ЯхӀушаптис. Цара Ӏецйон-ГӀебарехь хӀордкеманаш дира.</verse>
				<verse number="37">Цу хенахь Мареша-гӀаларчу Дода-ВахӀун кӀанта ЭлиӀазара ЯхӀушаптига Делера болу хаам бира: «Ахьа Ахьаз-ЯхӀуца доттагӀалла тесна дела, ахь кхоьллинарг Везачу Эло дохор ду», — аьлла. ТӀаккха хӀордкеманаш, доха а доьхна, Таршаше ца дахаделира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="21">
				<verse number="1">ЯхӀушапти, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза царна уллохь, Даудан гӀалахь, дӀавоьллира. ЯхӀушаптин метта паччахь хилира цуьнан кӀант ЯхӀурам.</verse>
				<verse number="2">ЯхӀушаптин кӀентий болу Ӏазар-ЯхӀу, Яхьиал, Закри-ЯхӀу, Ӏазар-ЯхӀу, Микаал, Шапат-ЯхӀу ЯхӀураман вежарий бара. Уьш берриш а исраилхойн паччахьан ЯхӀушаптин кӀентий бара.</verse>
				<verse number="3">Дас царна даккхий совгӀаташ динера, дети а, деши а, деза тӀулгаш а луш. Иштта ЯхӀуд-махкара чӀагӀйина гӀаланаш а еллера цо царна. Ткъа паччахьалла дар цо ЯхӀураме деллера, иза шен дуьххьарлера кӀант волу дела.</verse>
				<verse number="4">Шен ден метта паччахь а хилла, цу даржехь ЯхӀурам чӀагӀвелла дӀахӀоьттича, берриг а шен вежарий а, исраилхойн элех болу цхьаберш а туьраца байира цо.</verse>
				<verse number="5">ЯхӀураман ткъе шийтта шо дара, иза яхӀудхойн паччахь дӀахӀоьттича. Цо бархӀ шарахь Ярушалаймехь паччахьалла дира.</verse>
				<verse number="6">Иза а вара исраилхойн паччахьаша лелийна боллу некъ лелош, Ахьабан цӀийнах берш ма-леллара, хӀунда аьлча Ахьабан йоӀ цуьнан зуда яра. ЯхӀурама а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора.</verse>
				<verse number="7">Делахь а, Даудаца Ша бина болу барт бахьана долуш, Даудан цӀа дакъазадаккха ца лаьара Везачу Элана. Цуьнан тӀаьхьенна гуттаренна а паччахьалла дар лур ду аьлла, Даудана чӀагӀо ма йинера Везачу Эло.</verse>
				<verse number="8">ЯхӀурама паччахьалла дечу хенахь Эдоман халкъ, ЯхӀудан халкъан карара кӀелхьара а долуш, цунна дуьхьалделира. Цара шайн паччахь дӀахӀоттийра.</verse>
				<verse number="9">ЯхӀурам шен ерриге гӀудалкхашца а, шен тӀеман хьаькамашца а цига вахара. Иза, буьйсанна тӀе а гӀоьртина, шайна го бина болчу эдомхошна а, гӀудалкхашна тӀехь болчу церан хьаькамашна а тӀелетира.</verse>
				<verse number="10">Эдоман халкъ таханлерчу денна тӀекхаччалц яхӀудхойн карара дӀадалларх иштта Ӏаш ду. Оццу заманахь Либна-гӀала а яхӀудхошна дуьхьалъяьллера, хӀунда аьлча ЯхӀурама шен дайн Дела волу Веза Эла дӀатеснера.</verse>
				<verse number="11">ЯхӀудан лаьмнаш тӀехь цӀушна Ӏамал ян гунаш а хӀиттийна, Ярушалайман бахархой а, Делах дӀа а берзийтина, кхечу деланашца Ӏамал еш лелийтира ЯхӀурама. Иштта яхӀудхой а Ӏехабалийтира цо.</verse>
				<verse number="12">ЯхӀураме Эли-ЯхӀу-пайхамарера кехат деара. Цу тӀехь аьлла дара: «Иштта боху хьан дайн да хиллачу Даудан Дела волчу Везачу Эло: „Хьайн ден ЯхӀушаптин а, яхӀудхойн паччахьан Асин а некъа тӀе валаран метта,</verse>
				<verse number="13">ахьа, исраилхойн паччахьийн некъа тӀе а ваьлла, яхӀудхой а, ярушалаймхой а кхечу деланашца лелийтина, Ахьабан цӀийно халкъ цӀушца ма-леллийтара. Кхин а хьайн ден цӀенна тӀера хьайл гӀолехь болу хьайн вежарий а байина ахьа.</verse>
				<verse number="14">И бахьана долуш Везачу Эло боккха бохам бийр бу хьан халкъана а, хьан кӀенташна а, хьан зударшна а, хьан хьолана а.</verse>
				<verse number="15">Ткъа хьуна хьайна а таӀзар дийр ду, чӀогӀа цамгар а кхетийтина, хьан кийрахь мел йолу хӀума а, де дийне мел дели, и цамгар бахьана долуш дегӀах дӀа а къаьстина, охьаюжур ю“».</verse>
				<verse number="16">Иштта Везачу Эло пӀелаштамхой а, хушахошна уллохь бехаш болу Ӏаьрбихой а карзахбехира, уьш ЯхӀурамна дуьхьал бахархьама.</verse>
				<verse number="17">Цара, яхӀудхошна тӀе а гӀоьртина, чу а бахана, паччахьан цӀера, массо а хӀума дӀа а эцна, ЯхӀураман кӀентий а, зударий а дӀабигира. Цуьнан кӀентех жимаха волу цхьа Ахьаз-ЯхӀу воцург, кӀант ца висира ЯхӀураман.</verse>
				<verse number="18">Цул тӀаьхьа ЯхӀураман кийрахь мел йолчу хӀуманна дӀа ца йоьрзу цамгар туьйхира Везачу Эло.</verse>
				<verse number="19">Иштта де дийне мел дели, цамгаро эшош, кӀелвитира иза. Ткъа шолгӀа шо чекхдолуш, оцу цамгаро цуьнан кийрахь мел йолу хӀума цунах дӀакъастийра. Цу цамгаро къиза хьийза а вина, ЯхӀурам велира. Шен дайшна латош ма-хиллара, ЯхӀурамна лерина йоккха цӀе ца латийра халкъо.</verse>
				<verse number="20">ЯхӀурам паччахь дӀахӀуттуш, цуьнан ткъе шийтта шо дара. Цо бархӀ шарахь Ярушалаймехь паччахьалла дира. Цхьа а цунах велха а ца воьлхуш, иза дӀакхелхира. Паччахьийн къуббанашкахь а ца вуллуш, Даудан гӀалахь дӀавоьллира иза.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="22">
				<verse number="1">Ярушалайман бахархоша ЯхӀураман жимаха волу кӀант Ахьаз-ЯхӀу цуьнан метта паччахь дӀахӀоттийра. ХӀунда аьлча, уьш бехачу метте Ӏаьрбихойн ардангаш а яьхкина, Ахьаз-ЯхӀул воккхах волу массо а ваша вийнера. Иштта, яхӀудхойн паччахьан ЯхӀураман кӀант Ахьаз-ЯхӀу паччахьалла дан волавелира.</verse>
				<verse number="2">Ахьаз-ЯхӀу паччахь хӀоьттинчу хенахь, цуьнан ткъе ши шо дара. Цо цхьана шарахь Ярушалаймехь паччахьалла дира. Цуьнан ненан цӀе Ӏатал-ЯхӀу яра. Иза исраилхойн Ӏумари-паччахьан кӀентан йоӀ яра.</verse>
				<verse number="3">Ахьаз-ЯхӀу а Ахьабан цӀийнах болчийн некъа тӀе велира, хӀунда аьлча цуьнан нанас харцахьара гӀуллакхаш дарна хьехарш дора цунна.</verse>
				<verse number="4">Везачу Элан лаамехь доцу гӀуллакхаш леладора Ахьаз-ЯхӀус а, Ахьабан цӀийнах болчара лела ма-дарра, хӀунда аьлча, Ахьаз-ЯхӀун да дӀаваьлчхьана дуьйна, цуьнан хьехамчий хилира царах. Оцу бахьаненна цунна бохам хилла.</verse>
				<verse number="5">Иштта, церан хьехаршка ла а доьгӀна, исраилхойн паччахь волчу Ахьабан кӀантаца Йорамца арамхойн паччахьна Хьазиална дуьхьал тӀом бан вахара Ахьаз-ЯхӀу. Иза ГалӀадерчу Рамат-гӀалахь дара. Арамхоша Йорамна чов йира.</verse>
				<verse number="6">Иза тӀамера юхавирзира, Рамат-гӀалахь арамхойн паччахьца Хьазиалца тӀом бечу хенахь, шена арамхоша йинчу чевнашна ИзраӀал-гӀалахь дарбанаш леладайтархьама. Ткъа яхӀудхойн паччахь волу ЯхӀураман кӀант Ахьаз-ЯхӀу а веанера ИзраӀал-гӀала, цомгуш волу Ахьабан кӀант Йорам муьлхачу хьолехь ву хьажархьама.</verse>
				<verse number="7">Йорам волчу вар Ахьаз-ЯхӀуна Делера болчу бохамца дирзира. Ша схьавеача, иза Йорамаца цхьаьна Везачу Эло Ахьабан цӀа хӀаллакдан къобалвинчу Нимшайн кӀантана ЯхӀуна дуьхьалвелира.</verse>
				<verse number="8">Ша Ахьабан цӀенна кхел ечу хенахь ЯхӀуна яхӀудхойн элий а, Ахьаз-ЯхӀун вежарийн бераш а карийра цигахь. Уьш Ахьаз-ЯхӀуна хьалхара гӀуллакхаш деш бара. ЯхӀус уьш байира.</verse>
				<verse number="9">ЯхӀус Ахьаз-ЯхӀу схьалахар тӀедиллира. Цара Шамран-гӀалахь къайлаваьлла лелаш волу Ахьаз-ЯхӀу, схьа а лаьцна, ЯхӀуна тӀе а валийна, вийра. Цара Ахьаз-ЯхӀу, дӀа а воьллина, дӀаверзийра, хӀунда аьлча цунах лаьцна бохура: «Иза шен дерриге а доггах Веза Эла лехначу ЯхӀушаптин кӀентан кӀант ма вара». Ткъа яхӀудхошна тӀехь паччахьалла далур долуш Ахьаз-ЯхӀун цӀийнах цхьа а стаг ца виснера.</verse>
				<verse number="10">Шен кӀант велла аьлла шена хезча, Ахьаз-ЯхӀун нанас Ӏатал-ЯхӀус сацам бира, ЯхӀудан цӀийнан паччахьан тӀаьхьенах верг массо а хӀаллакван.</verse>
				<verse number="11">Амма ЯхӀурам-паччахьан йоӀа ЯхӀу-ШебаӀата Ахьаз-ЯхӀун кӀант Юаш, паччахьан байа дезачу кӀенташна юкъара схьа а эцна, дӀавигира. И кӀант а, иза вакхош йолу зуда а дӀавуьжучу цӀа чу дигира цо. Цу тайпана динан ден ЯхӀу-ЯдаӀан зуда а, ЯхӀурам-паччахьан йоӀ а йолу, Ахьаз-ЯхӀун йиша а йолчу ЯхӀу-ШебаӀа Ӏатал-ЯхӀух къайлаваьккхира Юаш. Цундела цо иза ца вийра.</verse>
				<verse number="12">Ялх шарахь, Ӏатал-ЯхӀус цу махкахь паччахьалла деш йолчу хенахь, оцу нахаца цхьаьна Делан цӀийнан кертахь къайлаваьккхина латтийра иза.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="23">
				<verse number="1">Ӏатал-ЯхӀус паччахьалла до ворхӀалгӀа шо долуш, динан да волу ЯхӀу-ЯдаӀ, чӀагӀ а велла, тӀеман хьаькамашца берта вахара. Уьш бара: Ярохьаман кӀант Ӏазар-ЯхӀу, ЯхӀу-Хьанин кӀант ИсмаьӀал, Ӏабадин кӀант Ӏазар-ЯхӀу, Ӏади-ЯхӀун кӀант МаӀсей-ЯхӀу, Зикрин кӀант Эли-Шапти.</verse>
				<verse number="2">Берриге а ЯхӀуд-махкахула чекх а бевлла, массо а яхӀудхойн гӀаланашкара левихой а, Исраилан доьзалийн баьччанаш а дӀа а гулбина, уьш Ярушалайме баьхкира.</verse>
				<verse number="3">Схьагулбеллачу массара а Делан цӀа чохь къоначу паччахьца барт бира. ЯхӀу-ЯдаӀа цаьрга элира: «Везачу Эло Даудан тӀаьхьенах лаьцна аьлла ма-хиллара, паччахьан кӀант паччахь хила веза.</verse>
				<verse number="4">Ткъа аша хӀара дан деза: шоьтан дийнахь Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх дан богӀуш болу динан дай а, левихой а кхаа декъе бекъалур бу. Царах цхьа дакъа кертан кевнашна уллохь гӀаролхой хир бу,</verse>
				<verse number="5">шолгӀа дакъа — паччахьан цӀахь, кхоалгӀа дакъа — Бух олучу кевнехь, ткъа дерриг а халкъ Везачу Элан цӀийнан кертахь хир ду.</verse>
				<verse number="6">Динан дай а, гӀуллакх деш болу левихой а боцурш, кхин цхьа а Везачу Элан цӀа чу ма валийта. Церан чу баха бакъо ю, уьш базбина болу дела. Ткъа дерриге а халкъ Везачу Эло тӀедиллинчуьнца лела деза.</verse>
				<verse number="7">Левихоша, шайн карахь герз а долуш, паччахьна массо а агӀор, ха а деш, го бе. Везачу Элан цӀа чу вала мел гӀертарг вийна дӀаваккхалаш. Шу паччахьна уллохь хилалаш, иза миччахьа воьдуш велахь а».</verse>
				<verse number="8">Динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа де аьлларг дерриг а кхочушдира левихоша а, берриге а яхӀудхоша а. Цара хӀораммо а шоьтан дийнахь схьабогӀу а, мукъабовлу а гӀаролхой шаьш долчу схьагулбира, хӀунда аьлча динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа хийцабелла гӀаролхой дӀа ца бахийтира.</verse>
				<verse number="9">Делан цӀа чохь лаьтташ долу Дауд-паччахьан хилла гоьмукъаш а, кегий а, даккхий а турсаш а динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа гӀаролхойн хьаькамашна дӀасадийкъира.</verse>
				<verse number="10">Дерриг а халкъ, шайн карахь герз а долуш, паччахьна гонах дӀахӀоттийра динан дас — Делан цӀенна къилберачу агӀонна тӀера къилбаседерачу агӀонна тӀекхаччалц, сагӀа доккхучу кхерчана уллохь а, Делан цӀенна уллохь а.</verse>
				<verse number="11">ЯхӀу-ЯдаӀа а, цуьнан кӀенташа а, паччахьан кӀант ара а ваьккхина, цунна тӀе таж а диллира, паччахьалла дарх лаьцна болу хьехамаш шена тӀехь язбина тептар а дӀаделира. ТӀаккха иза, паччахь дӀахӀотто, даьтта тӀе доттарца къобалвира. Наха маьхьарий хьоькхура: «Вехийла паччахь!», — бохуш.</verse>
				<verse number="12">Паччахьна хастамаш а беш, дедда догӀучу халкъан аьзнаш шена хезча, Ӏатал-ЯхӀу Везачу Элан цӀенна юххехь лаьттачу нахана тӀеяхара.</verse>
				<verse number="13">ДӀахьаьжча, шен бӀогӀамна уллохь, Делан цӀенна чу воллучохь, лаьтташ волу паччахь гира Ӏатал-ЯхӀуна. Паччахьна уллохь лаьтташ хьаькамаш а, турба локхуш берш а бара. Цу махкахь долу дерриг а халкъ, самукъане а дара, цара лоькхуш турбанаш а яра. Иштта илланчаш а бара шайн зурманийн гӀирсашца хастамаш бечарна тӀехь куьйгалла деш. Ӏатал-ЯхӀус, шен тӀехулара бедарш этӀа а йина, мохь хьаькхира: «Ямартло йина! Ямартло йина!» — аьлла.</verse>
				<verse number="14">Динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа, эскаран хьаькамаш болу гӀаролхой тӀе а кхайкхина, цаьрга элира: «Иза могӀаршна юкъара дӀаяккха, ткъа цунна тӀаьхьахӀуьттурш туьраца байа». ХӀунда аьлча динан дас аьллера: «Везачу Элан цӀийнан кертахь ма ейта иза».</verse>
				<verse number="15">Паччахьан цӀенна уллохь йолчу Говрийн Керта иза схьакхаьчча, церан буьйна яхара иза. Цигахь цуьнан са даьккхира цара.</verse>
				<verse number="16">ТӀаккха ЯхӀу-ЯдаӀа шена а, халкъана а, паччахьна а юкъахь барт бира, шаьш Везачу Элан долахь долу халкъ хилийтархьама.</verse>
				<verse number="17">Дерриге а халкъо, БаӀал-харцделан цӀа а дахана, и цӀа дохийра. Цара БаӀалан сагӀа доккху кхерчаш а, цӀуш а бохийна дӀабехира. Иштта БаӀалан динан да волу Матани а вийра цара сагӀа доккхучу кхерчашна хьалха.</verse>
				<verse number="18">ТӀаккха ЯхӀу-ЯдаӀа левихойн тайпанах болу динан дай къобалбира, Везачу Элан цӀийнаца доьзна долу гӀуллакхаш дарна тӀехь цаьрга куьйгалла дайтархьама, иза Дауд-паччахьо дӀахӀоттийна ма-хиллара. Уьш Мусан товрат-хьехамаш тӀехь яздина ма-хиллара дӀахӀиттийнера, Дауда тӀе-ма-диллара даккхийдерца а, эшарш лекхарца а Везачу Элана хаза хьожа йогӀу хӀуманаш ягорхьама.</verse>
				<verse number="19">Далла гергахь муьлххачу бахьаненна а цӀена воцург чу ца вахийта, Везачу Элан цӀийнан кевнашка гӀаролхой дӀахӀиттийра ЯхӀу-ЯдаӀа.</verse>
				<verse number="20">Динан дас, шеца тӀеман хьаькамаш а, лоруш болу нах а, халкъана тӀехь куьйгалла деш берш а, махкара дерриг а халкъ дуьгуш, Юаш-паччахь Везачу Элан цӀийнера дӀавигира. Цара иза, лакхарчу кевнехула чекх а ваьккхина, паччахьан цӀа а вигина, паччахьан гӀанта тӀе охьахаийра.</verse>
				<verse number="21">Махкара дерриг а халкъ самукъадаьлла дара, гӀала синтеме яра, хӀунда аьлча Ӏатал-ЯхӀу, тур а тоьхна, йийнера.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="24">
				<verse number="1">Юашан ворхӀ шо дара, иза паччахь дӀахӀоьттича. Цо шовзткъа шарахь, Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, паччахьалла дира. Цуьнан ненан цӀе ЦивъяхӀу яра. Иза Беар-ШабаӀ-гӀалара яра.</verse>
				<verse number="2">Динан да ЯхӀу-ЯдаӀ вехачу ханна Везачу Элана нийса хеташ дерг леладора Юаша.</verse>
				<verse number="3">ЯхӀу-ЯдаӀа Юашана ши зуда ялийра. Цара кӀентий а, йоӀарий а бира цунна.</verse>
				<verse number="4">Цул тӀаьхьа Везачу Элан цӀа карладаккхар дагатесира Юашана.</verse>
				<verse number="5">Юаша, динан дай а, левихой а схьа а гулбина, цаьрга элира: «ЯхӀуд-махкахь бехачу исраилхошкара хӀора шарахь шайн Делан цӀенна лерина дети схьагулде. Оцу гӀуллакхан сихо а е». Амма левихой и гӀуллакх кхочушдан сих ца белира.</verse>
				<verse number="6">ТӀаккха паччахьо, царна коьртехь волу ЯхӀу-ЯдаӀ шена тӀе а кхайкхина, цуьнга элира: «Ахьа левихошка кхочуш хӀунда ца дойту Везачу Элан ялхо волчу Мусас а, исраилхойн гуламо а тӀедиллина долу гуламан цӀенна лерина ЯхӀуд-мехкан а, Ярушалайман а халкъера йогӀу ял схьаэцар?»</verse>
				<verse number="7">ХӀунда аьлча оцу Ӏесачу Ӏатал-ЯхӀус а, цуьнан кӀенташа а, Делан цӀа чу а лилхина, даздина долу массо а хӀума БаӀал-харцделанашна Ӏамал ярна дӀаделлера.</verse>
				<verse number="8">Паччахьан омрица цхьа гӀутакх дира. Иза арахьа, Везачу Элан цӀийнан керта чу воьдучохь, охьадиллира.</verse>
				<verse number="9">ТӀаккха ЯхӀуд-махкахь а, Ярушалаймехь а Делан ялхо волчу Мусас яьссачу аренгахь исраилхошна тӀедиллина долу Везачу Элана лерина ял яла езарх лаьцна дӀакхайкхийра.</verse>
				<verse number="10">Халкъан хьаькамаша а, доллучу халкъо а иза хазахетарца тӀеийцира. Цара, схьа а дахьаш, ахча тосура оцу гӀутакх чу, иза хьаладуззалц.</verse>
				<verse number="11">И гӀутакх левихошкахула паччахьан гӀуллакх деш болчарна тӀекхоьхьура. ТӀаккха, цу чохь ахча дуккха а гулделла гича, паччахьан йозанчо а, коьрта динан ден векало а, схьа а вогӀий, и ахча дӀаоьцура. Ткъа гӀутакх, дӀа а хьой, шен метте охьадуьллура. И къепе цара хӀора дийнахь кхочуш а деш, дуккха а ахча гулдора.</verse>
				<verse number="12">Паччахьо а, ЯхӀу-ЯдаӀа а и ахча Везачу Элан цӀа нисдаран белхаш тӀехь куьйгалла деш болчу нахе дӀалора. Ткъа цара тӀулг хьокхурш а, дечигпхьераш а тӀелоцура, цаьрга Везачу Элан цӀа чӀагӀдайтархьама. Иштта аьчка а, цӀестан а пхьераш лоцура цара Везачу Элан цӀа чӀагӀдархьама.</verse>
				<verse number="13">И белхаш кхочушбеш болчара чӀогӀа къа а хьоьгура, церан куьйгашца меттахӀоттош беш болу болх кхиамца дӀа а боьдура. Делан цӀа цара дуьххьарлерчу барамашца юхаметтахӀоттийра, иза кхин а чӀагӀ а деш.</verse>
				<verse number="14">Дерриге а гӀуллакхаш дина чекхдевлча, дисина ахча паччахье а, ЯхӀу-ЯдаӀе а дӀаделира цара. Оцу ахчанах Везачу Элан цӀа чу дӀахӀитто пхьегӀаш яйтира. Иштта Везачу Элана гӀуллакх дан лерина пхьегӀаш а, дийнаташ дагоран сагӀанаш дахарна лерина пхьегӀаш а, кедаш а, кхийолу дашо а, дато а пхьегӀаш яйтира. ЯхӀу-ЯдаӀ вехаш мел хиллачу хенахь, Везачу Элан цӀийнан кертахь хӀора дийнахь даим дийнаташ дагоран сагӀанаш дохура.</verse>
				<verse number="15">ЯхӀу-ЯдаӀ, къан а велла, тоъал дуьне а диъна, велира. Иза лечу хенахь, цуьнан цхьа бӀе ткъе итт шо дара.</verse>
				<verse number="16">Иза паччахьашна уллохь Даудан гӀалахь дӀавоьллира, цо Исраил-махкахь Далла а, Цуьнан цӀенна а лерина дина дика бахьана долуш.</verse>
				<verse number="17">Ткъа ЯхӀу-ЯдаӀ велча, яхӀудхойн элий, тӀе а баьхкина, паччахьна хьалха лохха охьатаьӀира. ТӀаккха паччахь цара бохучунна тӀетайра.</verse>
				<verse number="18">Цара шайн дайн Дела волчу Везачу Элан цӀа дӀатесира. Ашера-далла лерина болчу дечиган бӀогӀамна а, цӀушна а Ӏибадат дан буьйлабелира уьш. Церан и бехк бахьана долуш Веза Эла оьгӀазвахара ЯхӀуд-мехкан а, Ярушалайман а бахархошна.</verse>
				<verse number="19">Везачу Эло пайхамарш бохуьйтура оцу нахана тӀе, уьш Шегахьа схьаберзийтархьама. Пайхамарша халкъе дӀахьедар дора, амма халкъо цаьрга ла ца дугӀура.</verse>
				<verse number="20">Юха динан ден ЯхӀу-ЯдаӀан кӀантана Закри-ЯхӀуна тӀе доьссинчу Делан Синан ницкъо дӀахьулвира иза. Цо халкъана хьалха, дӀа а хӀоьттина, элира: «Иштта боху Дала: „ХӀунда довлу шу Везачу Эло тӀедиллинчунна тӀера? Хир бац шун кхиам. Аша Веза Эла дӀатасаре терра, Цо а дӀатосур ду шу“».</verse>
				<verse number="21">Цара, Закри-ЯхӀуна дуьхьал барт а бина, паччахьан омрица Везачу Элан цӀийнан кертахь цунна тӀе тӀулгаш кхиссира.</verse>
				<verse number="22">Юаш-паччахьна дага ца деара Закри-ЯхӀун дас ЯхӀу-ЯдаӀа шена дина долу дика. ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант вийра цо. Закри-ЯхӀус ша лечу хенахь элира: «Везачу Элана хӀара дӀа а гойла, Цо хьо жоьпе а озавойла!»</verse>
				<verse number="23">Керла шо дӀадоладелча, арамхойн эскар, Юашана дуьхьал а даьлла, ЯхӀуд-махка а, Ярушалайме а чудеара. Цара халкъана юкъара мехкан баьччанаш хӀаллакбира. Иштта цаьргара шаьш схьаяьккхина хӀонс Дамасакхе паччахьна дӀаяхьийтира.</verse>
				<verse number="24">Арамхойн эскарехь дукха адам ца хиллехь а, Везачу Эло церан кара дӀаделлера дикка ницкъ болу эскар. Юашана кхел йинера, яхӀудхоша шайн дайн Дела волу Веза Эла дӀатесна дела.</verse>
				<verse number="25">ЧӀогӀа чов хилла волу Юаш Ӏад а витина, арамхой дӀабахара. Ткъа динан ден ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант верна, бекхам а беш, Юашана дуьхьал барт бира цуьнан ялхоша. Цара иза шен меттахь Ӏуьллучохь вийра. Юаш велира. Иза Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Амма иза паччахьийн къуббанашкахь дӀа ца воьллира.</verse>
				<verse number="26">Юашана дуьхьал барт бинарш бара: Ӏамминхо йолчу ШимӀатан кӀант Забад а, муабахо йолчу Шимратан кӀант ЯхӀу-Забди а.</verse>
				<verse number="27">Юашан кӀентех а, цунна дуьхьал дукхазза а аьлла хиллачу Делера хаамех а, Делан цӀа юхаметтахӀотторах а лаьцна долчух яздина ду Паччахьийн тептаран хьехам тӀехь. Юашан метта цуьнан кӀант Амци-ЯхӀу паччахь хилла дӀахӀоьттира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="25">
				<verse number="1">Амци-ЯхӀун ткъе пхи шо дара, иза паччахь дӀахӀоьттича. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо ткъе исс шарахь паччахьалла дира. Амци-ЯхӀун ненан цӀе ЯхӀу-Ӏаднат яра. Иза Ярушалаймера яра.</verse>
				<verse number="2">Амци-ЯхӀус Везачу Элана нийса хеташ долу гӀуллакхаш дора, амма доггах кхочуш ца дора цо иза.</verse>
				<verse number="3">Паччахьалла шен карадирзина даьлча, цо паччахь хилла волу шен да вийна болу хьаькамаш байира.</verse>
				<verse number="4">Амма Мусан тептар долчу товрат-хьехамашна тӀехь яздинчуьнга хьаьжжина, церан бераш ца дайира Амци-ЯхӀус, хӀунда аьлча цигахь Везачу Эло, весет а деш, аьллера: «Бераша далийтина зулам бахьанехь церан дайша валаран таӀзар такха ца деза. Иштта шайн дайша далийтина зулам бахьанехь бераша а валаран таӀзар такха ца деза. Амма хӀораммо а, даьлла зулам бахьана долуш, валаран таӀзар ша такха деза».</verse>
				<verse number="5">Амци-ЯхӀус, яхӀудхой схьа а гулбина, ЯхӀуд-тайпанан а, Бен-Яман-тайпанан а гаранашца уьш бекъа а бекъна, эзарнийн а, бӀеннийн а куьйгалхойн кара дӀабелира. ТӀаккха царна юкъара ткъа шо а, цул сов а хан ерш багарбира цо. Царна юкъахь кхо бӀе эзар тоьлла волу, карахь гоьмукъ а, турс а лелалур долу тӀемалой карийра цунна.</verse>
				<verse number="6">Исраилхошна юкъара, ши бӀе пунт дети а делла, кхин а доьналла долу цхьа бӀе эзар тӀемало а лецира Амци-ЯхӀус.</verse>
				<verse number="7">Эццахь Амци-ЯхӀу волчу Делан стаг веара. Цо элира: «Паччахь! Исраилхойн эскар ма дига хьайца, хӀунда аьлча оцу Эпрайман кӀентий болчу исраилхошца Веза Эла вац.</verse>
				<verse number="8">Нагахь ахьа, эскар а дигна, майрра тӀом бахь а, Дала хьан мостагӀашна хьалха вожор ву хьо, хӀунда аьлча Делехь бу хьуна гӀо дан а, хьо вожо а ницкъ».</verse>
				<verse number="9">Амци-ЯхӀус Делан стаге элира: «Ткъа айса исраилхойн эскарна деллачу ши бӀе пунт детих хӀун дан деза аса?» Делан стага элира: «Везачу Элан ницкъ бу хьуна цул сов дала а».</verse>
				<verse number="10">Амци-ЯхӀус Эпрайм-махкара ша волчу деана эскар дӀакъастийра, иза шен цӀа дӀадахийтархьама. ТӀаккха, яхӀудхошна чӀогӀа оьгӀаз а бахана, дар а белла, уьш шайн цӀа дӀабахара.</verse>
				<verse number="11">Ткъа Амци-ЯхӀус, майра а ваьлла, шен эскар Дуьра-тогӀи олучу метте дигира. Цигахь СеӀир-ломарчу эдомхойх итт эзар стаг хӀаллаквира цо.</verse>
				<verse number="12">Царах дийна висина итт эзар стаг йийсаре вигира цара. Уьш, тархана боххье а баьхна, цу тӀера чукхиссира яхӀудхоша. Берриш а, атабелла, дӀабевлира уьш.</verse>
				<verse number="13">Ткъа Амци-ЯхӀус, шеца тӀаме а ца дуьгуш, юхадерзийна долчу эскаро ЯхӀуд-махкахь Шамран-гӀалара дуьйна Байт-Хьорон-гӀалина тӀекхаччалц йолу меттигаш яссийна дӀаехира. Цигахь кхо эзар стаг а вийна, шайна дуккха а хӀонс дӀаяьхьира цара.</verse>
				<verse number="14">Эдомхошна тӀехь толам а баьккхина, Амци-ЯхӀус СеӀир-лаьмнийн бахархойн цӀу-деланаш схьа а беана, уьш ша волчохь дӀахӀиттийра. Цо царна Ӏибадат а дора, царна лерина хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора.</verse>
				<verse number="15">Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара Амци-ЯхӀуна. Цо пайхамар вахийтира цунна тӀе. Пайхамаро Амци-ЯхӀуга элира: «Шаьш-шайн халкъ хьан куьйга кӀелара дӀа ца даккхаделлачу, оцу къоман деланех дага хӀунда волу те хьо?»</verse>
				<verse number="16">Пайхамаро шега аьллачунна дуьхьал паччахьо жоп делира: «Хьо ву ткъа паччахьан хьехамча хӀоттийна? ДӀасаца, хьо ца вейтархьама». Пайхамаро, дӀа а соцуш, элира: «Суна хаьа ахьа и гӀуллакх дарна а, сан хьехаме ла ца догӀарна а Дала хьо вен сацам бинийла».</verse>
				<verse number="17">ЯхӀудхойн паччахьо Амци-ЯхӀус, хьехамчех дага а ваьлла, исраилхойн паччахь волчу ЯхӀун кӀентан ЯхӀу-Ахьазан кӀантана ЯхӀуашана тӀе геланчаш бахийтира, иштта дӀаала аьлла: «Ара а валий, юьхь-дуьхьал хӀотта вайшиъ».</verse>
				<verse number="18">Ткъа исраилхойн паччахьо ЯхӀуаша яхӀудхойн паччахьна Амци-ЯхӀуна жоп делира: «Ливанун-махкарчу коканийн кулло Ливанун-махкарчу баганан диттана тӀе, нах а бахийтина: „Хьайн йоӀ сан кӀанте маре яийтахьа“, — аьлла. Амма Ливанун-махкара экха схьа а деана, цо и коканийн колл дӀахьаьшна.</verse>
				<verse number="19">Ахьа боху: „Аса эдомхошна тӀехь толам баьккхина“. Ткъа хӀинца айхьа и толам баьккхина аьлла, хьан дог курадаьлла. Цул хьайн цӀахь Ӏе хьо. Хьайна бохам хӀунда лоьху те ахьа? ТӀаккха хьо а хӀаллаквийр вара, хьоьца ЯхӀуд-мохк а хӀаллакбийр бара».</verse>
				<verse number="20">Амма Амци-ЯхӀус шега бохучуьнга ла ца дуьйгӀира, хӀунда аьлча иза Дала динера, уьш эдомхойн деланашкахьа бирзина дела, ЯхӀуашан кара дӀабалархьама.</verse>
				<verse number="21">ТӀаккха исраилхойн паччахь ЯхӀуаш яхӀудхойн паччахьна Амци-ЯхӀуна дуьхьалвелира. И шиъ тӀамца ЯхӀуд-махкарчу Байт-Шамаш олучу гӀалахь дуьхь-дуьхьал кхийтира.</verse>
				<verse number="22">Исраилхоша яхӀудхойн эскар дохийра. ТӀаккха эшнарш шайн-шайн цӀа дӀасабевдира.</verse>
				<verse number="23">Байт-Шамашехь исраилхойн паччахьо ЯхӀуаша яхӀудхойн паччахь волчу Ахьаз-ЯхӀун кӀентан Юашан кӀант Амци-ЯхӀу схьалецира. ТӀаккха ЯхӀуаша, иза Ярушалайме дӀа а вигина, цигарчу Эпрайман кевнера дуьйна Сонехь долчу кевнна тӀекхаччалц диъ бӀе дол барамехь болу Ярушалайман пен бохийра.</verse>
				<verse number="24">Делан цӀа чуьра Ӏабади-Эдоман карахь долу дерриге а деши, дети, ерриге а пхьегӀаш дӀаяьхьира ЯхӀуаша. Иштта паччахьан ерриге а еза хӀуманаш а дӀа а хьош, лечкъийна, царах хӀума яккха дагахь, шеца адамаш а дуьгуш, Шамран-гӀала юхавирзира иза.</verse>
				<verse number="25">ЯхӀудхойн паччахь волчу Юашан кӀант Амци-ЯхӀу исраилхойн паччахь хилла волу ЯхӀу-Ахьазан кӀант ЯхӀуаш веллачул тӀаьхьа пхийтта шарахь вехира.</verse>
				<verse number="26">Амци-ЯхӀун кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — дуьххьарлерчунна тӀера тӀаьхьарчунна тӀекхаччалц — яздина ду ЯхӀудхойн а, исраилхойн а паччахьийн тептар тӀехь.</verse>
				<verse number="27">Амци-ЯхӀу Везачу Элах дӀавирзинчул тӀаьхьа, Ярушалаймехь цунна дуьхьал ямартлонца барт бира. Иза Лахиш-гӀала ведда дӀавахара. ТӀаккха, цунна тӀаьхьа Лахиш-гӀала нах а бахийтина, Амци-ЯхӀу цигахь вийра.</verse>
				<verse number="28">Амци-ЯхӀун дакъа, говрашца схьа а деана, шен дай дӀабоьхкинчу ЯхӀуд-мехкан коьртачу гӀалахь дӀадоьллира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="26">
				<verse number="1">ТӀаккха яхӀудхойн массо а халкъо ялхитта шо кхаьчна волу Ӏузи-ЯхӀу, шен ден метта, паччахь а вина, дӀахӀоттийра.</verse>
				<verse number="2">Ӏузи-ЯхӀу вара шен да Амци-ЯхӀу-паччахь, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхеттачул тӀаьхьа, Элат-гӀала метта а хӀоттийна, иза ЯхӀудан халкъана юхаерзийнарг.</verse>
				<verse number="3">Ӏузи-ЯхӀун ялхитта шо дара, иза паччахь дӀахӀуттуш. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо шовзткъе шийтта шарахь паччахьалла дира. Ӏузи-ЯхӀун ненан цӀе Яхул-ЯхӀу яра. Иза Ярушалаймера яра.</verse>
				<verse number="4">Шен дас Амци-ЯхӀус лела мел динарг санна, Ӏузи-ЯхӀус а леладора Везачу Элана нийса хетарг.</verse>
				<verse number="5">Деле болчу ларамах дуьзна хила дезар хьехна волу Закри-ЯхӀу волчу заманахь Ӏузи-ЯхӀу Дела лоьхуш лелара. Везачу Элехьа вирзина иза мел лела, Дала цуьнан аьтто болуьйтура.</verse>
				<verse number="6">Ӏузи-ЯхӀус, ара а ваьлла, пӀелаштамхошца тӀом бира. Гати-гӀалин а, Ябни-гӀалин а, Ашдод-гӀалин а, пенаш доха а дина, Ашдод-махкахь а, пӀелаштамхой бехачохь а гӀаланаш дӀахӀиттийра цо.</verse>
				<verse number="7">ПӀелаштамхошна а, Гур-БаӀалехь бехачу Ӏаьрбихошна а, маӀунхошна а дуьхьал тӀом бан гӀо дора Дала Ӏузи-ЯхӀуна.</verse>
				<verse number="8">Ӏамминхоша Ӏузи-ЯхӀуна ял лора. Мисар-мехкан дозанна тӀекхаччалц а цӀе яханера цуьнан, хӀунда аьлча иза дикка ницкъ болуш дӀахӀоьттинера.</verse>
				<verse number="9">Ярушалаймерчу пенан Сонехь долчу кевнна а, ТогӀин кевнна тӀехь а, АгӀонна тӀехь долчу кевнна тӀехула а бӀаьвнаш яйтира Ӏузи-ЯхӀус. ТӀаккха и бӀаьвнаш чӀагӀъяйтира цо.</verse>
				<verse number="10">Яьссачу аренгахь а бӀаьвнаш дӀахӀиттийра цо. Иштта дуккха а гӀунаш яхийтира цо, хӀунда аьлча дуккха а жаш а, бажанаш а дара цуьнан акъарешкахь а, шерачу аренгахь а. Лаьмнашкахь а, Кармал-лома тӀехь а латталелорхой а, кемсашлелорхой а бара Ӏузи-ЯхӀун, цунна латта дукхадезарна.</verse>
				<verse number="11">Ӏузи-ЯхӀун доккха эскар дара. Иза цхьацца эскаран тобанашца тӀаме арадолура. Уьш, багар а бина, тептар тӀехь дӀаязбинера йозанча волчу ЯӀиала а, тхьамда волчу МаӀсей-ЯхӀус а. И шиъ паччахьан хьаькамех цхьаъ волчу Хьанан-ЯхӀун куьйга кӀел лелара.</verse>
				<verse number="12">Эскаран тӀемалошна тӀехь хӀоттийна доьзалийн хьаькамаш бара. Уьш верриге а ши эзар ялх бӀе стаг вара.</verse>
				<verse number="13">Доьзалийн оцу хьаькамийн куьйгаллехь эскар дара, мостагӀчунна дуьхьал тӀом бечу хенахь паччахьна гӀо дан. Эскарна чувогӀура тӀом балуш волу а, доьналла долу а кхо бӀе ворхӀ эзар пхи бӀе стаг.</verse>
				<verse number="14">Оцу дерриге а эскарна лерина Ӏузи-ЯхӀус тӀеман гӀирс кечбайтира: турсаш, гоьмукъаш, гӀемаш, гӀаьгӀнаш, секхаӀедаш, ширдолаган тӀулгаш.</verse>
				<verse number="15">Ярушалаймехь говзаллица бина гӀирсаш байтира цо. Уьш гӀалин пенан бӀаьвнаш тӀехь а, сенаш тӀехь а дӀахӀиттийнера, пхерчий а, даккхий тӀулгаш а кхиссархьама. Цуьнан цӀе геннарчу мехкашкахь а йоккхура, хӀунда аьлча, тамашийначу тайпана гӀо а хилла, ницкъ болуш дӀахӀоьттинера иза.</verse>
				<verse number="16">Ша ницкъ а болуш дӀахӀоьттича, Ӏузи-ЯхӀун дог шена бохамна кураделира. Шен Везачу Далла дуьхьал къа латийра цо, хӀунда аьлча иза ша чувелира Везачу Элан цӀа чу, цу чохь хаза хьожа йогӀу хӀума ягорхьама.</verse>
				<verse number="17">Динан да Ӏазар-ЯхӀу а, цуьнца Везачу Элан тоьлла волу везткъа динан да а вахара паччахьна тӀаьхьахӀоьттина.</verse>
				<verse number="18">Цара, Ӏузи-ЯхӀу-паччахьна дуьхьало а йина, цуьнга элира: «Ӏузи-ЯхӀу, ахьа яго ца еза Везачу Элана лерина хаза хьожа йогӀу хӀума. Иза оцу гӀуллакхна къобалвинчу АхӀаронан тӀаьхьенах болчу динан дайн гӀуллакх ду. Аравала Делан цӀа чуьра, хӀунда аьлча ахьа къа латийна, ткъа иза Везачу Элана гергахь хьан сийнна хир дац».</verse>
				<verse number="19">Ӏузи-ЯхӀу чӀогӀа оьгӀазвахара. Ткъа цуьнан карахь яра хаза хьожа йогӀу хӀума чохь ягош йолу пхьегӀа. ТӀаккха, иза динан дайшна оьгӀазвахча, цуьнан хьаж тӀехь дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар гучуелира. Иза хилира динан дайшна хьалххахь, Везачу Элан цӀа чохь, хаза хьожа йогӀу хӀума ягочу кхерчана уллохь.</verse>
				<verse number="20">Коьрта динан да волу Ӏазар-ЯхӀу а, берриге а динан дай а Ӏузи-ЯхӀуга дӀахьаьжча, царна цуьнан хьаж тӀе даьлла чкъуран цамгаран даӀ гира. Цара паччахь араваккха хьовзийра, ткъа иза-м ша а вара аравала сихвелла, шена Везачу Эло таӀзар дина дела.</verse>
				<verse number="21">Ша велла дӀаваллалц и цамгар текхира Ӏузи-ЯхӀус. Везачу Элан цӀийнах дӀа а къастийна, къаьсттина лаьттачу цӀа чохь Ӏийра иза. Ткъа паччахьан кӀанта Йовтама паччахьан цӀенна тӀехь куьйгалла а дора, мехкан халкъана тӀехь урхалла а дора.</verse>
				<verse number="22">Ӏузи-ЯхӀун кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — дуьххьарлерчунна тӀера тӀаьхьарчунна тӀекхаччалц — яздина Амосан кӀанта ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро.</verse>
				<verse number="23">Ӏузи-ЯхӀу, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Царна уллохь иза паччахьийн къуббанийн аренгахь дӀавоьллира, хӀунда аьлча цунах лаьцна олура: «Цунна дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар кхетта». Ӏузи-ЯхӀун метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Йовтам.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="27">
				<verse number="1">Йовтаман ткъе пхи шо дара, иза паччахь дӀахӀоьттича. Йовтама ялхитта шарахь паччахьалла дира Ярушалаймехь. Цуьнан ненан цӀе Яруша яра, иза ЦӀадукъин йоӀ яра.</verse>
				<verse number="2">Шен дас Ӏузи-ЯхӀус санна, Йовтама Везачу Элана нийса хеташ дерг леладора. Амма Везачу Элан цӀа чу ца волура иза. Ткъа халкъо кхидӀа а къинош летадора.</verse>
				<verse number="3">Везачу Элан цӀийнан кертара Лакхара ков юхаметтахӀоттийнарг Йовтам вара. Иштта Ӏупал-гу болчу пенна тӀехь а дуккха а кхиболу чӀагӀдаран белхаш байтира цо.</verse>
				<verse number="4">ЯхӀуд-махкарчу лам тӀехь гӀаланаш а, хьаннашкахь гӀепаш а, бӀаьвнаш а дӀахӀиттаяйтира Йовтама.</verse>
				<verse number="5">Ӏамминхойн паччахьца тӀом а бина, уьш эшийра цо. Цу шарахь йолана ши бӀе пунт дети а, шовзткъе итт эзар гали кӀа а, шовзткъе итт эзар гали мукх а белира Ӏамминхоша Йовтамна. Изза дора Ӏамминхоша шолгӀачу а, кхозлагӀчу а шерашкахь а.</verse>
				<verse number="6">Йовтаман иштта ницкъ бара, цо шен Везачу Далла хьалха нийса некъаш лелош хилла дела.</verse>
				<verse number="7">Йовтаман кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цо мел бинчу тӀамах а, цуьнан леларх а лаьцна — яздина ду Исраилхойн а, яхӀудхойн а паччахьийн тептар тӀехь.</verse>
				<verse number="8">Йовтаман ткъе пхи шо дара, иза паччахь дӀахӀоьттича. Цо ялхитта шарахь паччахьалла дира Ярушалаймехь.</verse>
				<verse number="9">ТӀаккха Йовтам, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Даудан гӀалахь дӀавоьллира иза. Йовтаман метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Ахьаз.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="28">
				<verse number="1">Ахьазан ткъа шо дара, иза паччахь дӀахӀоьттича. Цо Ярушалаймехь ялхитта шарахь паччахьалла дира. Ша схьаваьллачу Даудах терра а ца лелаш, Везачу Элана нийса хеташ долу гӀуллакхаш ца леладора Ахьаза.</verse>
				<verse number="2">Ахьаз а вара исраилхойн паччахьаша лелийна боллу некъ лелош. Ур-атталла БаӀал-харцдалла Ӏибадат дарна а цӀуш боттийтира цо.</verse>
				<verse number="3">Бен-ХӀинам-тогӀи чохь хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайойтура, шен кӀентий цӀерах чекх а бохуьйтура Ахьаза, Везачу Эло исраилхошна юкъара дӀалелхийначу къаьмнаша мел лелийна дегаза гӀуллакхаш а лелош.</verse>
				<verse number="4">Гунаш тӀехь а, баьрзнаш тӀехь а, муьлххачу а ӀиндагӀ луш долчу диттана кӀел а сагӀа а доккхура, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора Ахьаза.</verse>
				<verse number="5">Цу бахьаненна Ахьазан Везачу Дала иза арамхойн паччахьан кара дӀавелира, ткъа вукхо боккха толам баьккхира цуьнан эскарна тӀехь. Дуккха а яхӀудхой, йийсар а дина, Дамасакхе дӀабигира арамхоша. Иштта Ахьаз а исраилхойн паччахьан кара дӀавелира, исраилхоша а боккха толам баьккхира цуьнан эскарна тӀехь.</verse>
				<verse number="6">ЯхӀудхойн доьналла долу цхьа бӀе ткъа эзар тӀемало цхьана дийнахь тоьхна охьавиллира исраилхойн паччахь волчу Рамли-ЯхӀун кӀанта Пикхахьис. Иза хилира яхӀудхоша шайн дайн Дела волу Веза Эла дӀатесна дела.</verse>
				<verse number="7">Ткъа эпраймхойн тӀемалошна юкъара волчу Зикрас паччахьан кӀант МаӀсей-ЯхӀу а, паччахьан цӀентӀехь хьаькам волу Ӏазрикхам а, паччахьал тӀаьхьа шолгӀаниг ларалуш волу Элкхан а вийра.</verse>
				<verse number="8">Шайн вежарий болчу яхӀудхойн ши бӀе эзар зуда а, кӀентий а, йоӀарий а, йийсар а дина, дӀабигира исраилхоша. Иштта, йоккха хӀонс а яьккхина, Шамран-гӀала дӀаяхьийтира цара.</verse>
				<verse number="9">Цигахь вехаш Везачу Элан пайхамар вара. Цуьнан цӀе Ӏудад яра. Шамран-гӀала юхадоьрзуш долчу эскарна дуьхьал а вахана, оцу пайхамаро цаьрга элира: «Шун дайн Дела волчу Везачу Эло Ша оьгӀазвахханчохь яхӀудхой шун кара дӀабелира. Ткъа аша цаьрца лелийна йолу сел йоккха къизалла, стигала хьалакхаьчна.</verse>
				<verse number="10">ХӀинца яхӀудхой а, ярушалаймхой а, дӀа а бигна, царах шайн леш бан дохку шу. Шайн Везачу Далла хьалха шаьш а бехке дац моьтту ткъа шуна?</verse>
				<verse number="11">Аша, соьга ла а догӀий, шаьш йийсаре буьгуш болу шайн вежарий яхӀудхой юхаберзабе, хӀунда аьлча Везачу Элан чӀогӀа дералла ю шуна тӀехь».</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха Эпрайман тайпанах болчу хьаькамех цхьаберш тӀамера юхабоьрзуш болчарна дуьхьал бевлира. Уьш бара: ЯхӀу-Хьанин кӀант Ӏазар-ЯхӀу, Машли-МутӀин кӀант Берех-ЯхӀу, Шалуман кӀант Яхьизакх-ЯхӀу, Хьадлайн кӀант Ӏамасаъ.</verse>
				<verse number="13">Цара элира: «Ма балабе кху чу йийсар динарш, хӀунда аьлча вай къа латор ду Везачу Элана хьалхахь. Вай летийначу къиношна а, вай динчу зуламашна а кхин а тӀетоха ойла-м яц те шун? Исраилан халкъана тӀехь Везачу Элан чӀогӀа йолу дералла хиллал хӀинцале а боккха бехк бу вайна тӀехь».</verse>
				<verse number="14">ТӀаккха тӀемалоша шаьш йийсаре буьгурш а, схьаэцна йолу хӀонс а халкъан куьйгалхойн а, халкъан берриг а гуламан кара дӀаелира.</verse>
				<verse number="15">ЦӀераш яьхначу исраилхойн веа куьйгалхочо, шаьш йийсаре дуьгучу халкъана юкъахь берзина хилла болчарна, хӀонсана юкъара схьаэцна бедарш а тӀеюьйхира, царна мачаш а елира. Иштта юург а, мерг а елира, зайтдаьтта а хьаькхира царна. Царах гӀора доцурш берриш а, варрашна тӀе а ховшийна, шех хурма-диттийн гӀала олучу Ерихоне, церан вежарий болчу, дӀахьажийра, ткъа шаьш Шамран-гӀала юхабирзира уьш.</verse>
				<verse number="16">Цу хенахь Ахьаз-паччахьо Ашур-мехкан паччахьна тӀе геланчаш бахийтира, шена гӀо доьхуш,</verse>
				<verse number="17">хӀунда аьлча эдомхоша цул тӀаьхьа, схьа а богӀий, дуккха а долчу адамна етта а еттара, уьш йийсаре а буьгура.</verse>
				<verse number="18">ЯхӀуд-мехкан акъарешкара а, къилбехьара а йолчу гӀаланашна тӀелетира пӀелаштамхой. Байт-Шамаш, Айлон, Гадирут, Соха, Тамна, Гимзу гӀаланаш а, цаьрца йоьзна йолу ярташ а, схьа а яьхна, царна чохь баха охьахевшира уьш.</verse>
				<verse number="19">ЯхӀудхойн паччахь Ахьаз бахьана долуш иштта сийсаздаьккхира Везачу Эло ЯхӀудан халкъ, хӀунда аьлча иза, ЯхӀуд-махкахь зуламаш дар а магош, Везачу Элана чӀогӀа тешаме воцуш лелара.</verse>
				<verse number="20">Ашурхойн паччахь ТилгӀат-Пилнасар веара Ахьаз волчу, амма шегара гӀо хиларан метта, бале велира иза цунна.</verse>
				<verse number="21">ХӀунда аьлча Ахьаза Везачу Элан цӀа чуьра а, паччахьан цӀа чуьра а, элашкара а еза хӀуманаш, схьа а эцна, ашурхойн паччахье дӀаелира, амма и шадерг гӀоьнна ца хилира цунна.</verse>
				<verse number="22">Ур-атталла ша холчу хӀоьттинчу хенахь а Ахьаз-паччахь кхидӀа а Везачу Элана тешаме воцуш лелара.</verse>
				<verse number="23">Шена тӀехь толам баьккхинчу Дамасакхерачу деланашна лерина сагӀанаш дохура Ахьаза, хӀунда аьлча цо ойла йира: «Арамхойн паччахьийн деланаша царна гӀо дина хилча, аса а дохур ду царна сагӀанаш, цаьрга сайна гӀо дайтархьама», — аьлла. Амма и деланаш Ахьазана а, дерриг а Исраилан халкъана а эшамна хилира.</verse>
				<verse number="24">Делан цӀа чуьра пхьегӀаш дӀа а гулйина, уьш йохийра Ахьаза. Ткъа Везачу Элан цӀийнан неӀарш дӀа а къевлина, Ярушалаймехь массо а маьӀӀехь сагӀа доккху меттигаш йира цо.</verse>
				<verse number="25">ЯхӀуд-махкарчу ерриге а гӀаланашкахь кхечу деланашна сагӀа доккху гунаш а дина, шен дайн Дела волу Веза Эла дарвора цо.</verse>
				<verse number="26">Ахьазан кхидолчу гӀуллакхех а, цо лелийначух а лаьцна — дуьххьарлерчунна тӀера тӀаьхьарчунна тӀекхаччалц — яздина ду ЯхӀудхойн а, исраилхойн а паччахьийн тептар тӀехь.</verse>
				<verse number="27">ТӀаккха Ахьаз, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза Ярушалайм-гӀалахь дӀавоьллира, амма исраилхойн паччахьийн къуббанашкахь дӀа ца воьллира иза. Ахьазан метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Яхьизакх-ЯхӀу.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="29">
				<verse number="1">Паччахь дӀахӀуттучу хенахь Хьузакх-ЯхӀун ткъе пхи шо дара. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, ткъе исс шарахь паччахьалла дира Хьузакх-ЯхӀус. Цуьнан ненан цӀе яра Аби-ЯхӀу, ткъа иза Закри-ЯхӀун йоӀ яра.</verse>
				<verse number="2">Ша схьаваьллачу Дауд-паччахьо лела мел динарг санна, Хьузакх-ЯхӀус а леладора Везачу Элана нийса хеташ дерг.</verse>
				<verse number="3">Ша паччахь хилла дӀахӀоьттинчу хьалхарчу шеран хьалхарчу баттахь Хьузакх-ЯхӀус, Везачу Элан цӀийнан неӀарш дӀа а йиллина, уьш тояйтира.</verse>
				<verse number="4">Левихой а, динан дай а шена тӀебахкар тӀедиллира Хьузакх-ЯхӀус. Уьш Делан цӀенна малхбалехь йолчу майданахь схьагулбира цо.</verse>
				<verse number="5">Цаьрга цо элира: «Левихой, ладогӀалаш соьга! ХӀинца шаьш а Далла гергахь цӀанло, шайн дайн Дела волчу Везачу Элан цӀа а цӀанде. Цу цӀенна чуьра Далла хьалха боьха мел долу хӀума аракхосса.</verse>
				<verse number="6">Вайн дай, вайн Везачу Далла зуламе хеташ долу хӀуманаш а лелош, Далла тешаме боцуш бара. Цара, Иза дӀа а тесна, Везачу Элан цӀийнах дӀа а бевлла, Цунна букъ берзийнера.</verse>
				<verse number="7">Цара Везачу Элан цӀийнан ученна чу волу неӀ а дӀакъевлира, къуьданаш а дӀабойура. Иштта хаза хьожа йогӀу хӀума а ца ягайора, дезачу цӀа чохь Исраилан халкъан Далла лерина дийнаташ дагоран сагӀа а ца доккхура цара.</verse>
				<verse number="8">ТӀаккха Веза Эла оьгӀазвахара ЯхӀудан а, Ярушалайман а бахархошна. Нах Ӏада а бойтуш, инзар а болуьйтуш, белам бойтуш а хӀума царах йира Цо, шуна шайна ма-гарра.</verse>
				<verse number="9">Иштта туьро байира вайн дай, цундела вайн кӀентий а, йоӀарий а, зударий а хӀинца хийрачу махкахь йийсарехь бу.</verse>
				<verse number="10">ХӀинца Исраилан халкъан Везачу Элаца барт бан дагадеана суна, Цуьнга Шен чӀогӀа йолу дералла вайна тӀера дӀаяккхийтархьама.</verse>
				<verse number="11">Сан хьоме левихой! Ларам боцуш ма хилалаш, хӀунда аьлча Везачу Эло шу хаьржина, Шена уллохь хилийтархьама а, шуьга Шена лерина гӀуллакх дайтархьама а, шу Шена гӀуллакх дийраш а, хаза хьожа йогӀу хӀума ягораш а хилийтархьама а».</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха хӀара левихой гӀуллакхаш кхочушдан хӀиттира: КхахӀатан тӀаьхьенах волу Ӏамсайн кӀант Махьат а, Ӏазар-ЯхӀун кӀант Юал а; Мерарин тӀаьхьенах волу Ӏабдин кӀант Къуша а, ЯхӀалал-Элан кӀант Ӏазар-ЯхӀу а; ГӀиршанан тӀаьхьенах волу Замин кӀант Юахьи а, Юахьин кӀант Ӏедан а;</verse>
				<verse number="13">Эли-Цапанан тӀаьхьенах волу Шимра а, ЯӀиал а; Асайпан тӀаьхьенах волу Закри-ЯхӀу а, Матан-ЯхӀу а;</verse>
				<verse number="14">ХӀайманан тӀаьхьенах волу Яхьиал а, ШамаӀи а; Ядутунан тӀаьхьенах волу ШамӀа-ЯхӀу а, Ӏузиал а.</verse>
				<verse number="15">Цара, шайн вежарий схьа а гулбина, Далла гергахь цӀано йира. ТӀаккха, Везачу Эло аьлла ма-хиллара, паччахьан омра кхочуш а деш, Везачу Элан цӀа цӀан а деш, даздан бахара уьш.</verse>
				<verse number="16">Цара Везачу Элан цӀа чохь шайна карийна Далла гергахь боьха мел долу хӀума цӀийнан керта арадаьккхира. Ткъа левихоша, уьш Кхидрун-тогӀи чу дӀакхиссархьама, дӀаийцира.</verse>
				<verse number="17">Шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь цара Везачу Элан керт язъян йолийра. Цу беттан борхӀалгӀачу дийнахь уьш Везачу Элан цӀийнан ученна тӀекхечира. Кхин а бархӀ дийнахь Далла хьалха даздира цара Везачу Элан цӀа. Оцу хьалхарчу беттан ялхитталгӀачу дийнахь цара и гӀуллакх чекхдаьккхира.</verse>
				<verse number="18">ТӀаккха, Хьузакх-ЯхӀун цӀа а баьхкина, цара элира: «Оха Везачу Элан цӀа а цӀандина, дийнаташ дагоран сагӀа доккху кхерч а цӀанбина, цуьнца йоьзна йолу ерриге пхьегӀаш а цӀанйина. Иштта даздина долу бепиг тӀедуьллу стол а, цуьнца йоьзна йолу пхьегӀаш а цӀанйина.</verse>
				<verse number="19">Ахьаз-паччахьо, ша паччахьалла динчу хенахь, Делан лаамехь доцург а лелош, дӀаяьхна хилла йолу ерриге а пхьегӀаш, оха, кеч а йина, язйина. Уьш Везачу Элан сагӀа доккхучу кхерчана хьалха дӀахӀиттийна».</verse>
				<verse number="20">ШолгӀачу Ӏуьйранна, хьалххе хьала а гӀаьттина, гӀалин куьйгалхой схьа а гулбина, Везачу Элан цӀенна тӀе вахара Хьузакх-ЯхӀу-паччахь.</verse>
				<verse number="21">Цара ворхӀ старгӀа а, ворхӀ уьстагӀ а, ворхӀ боьрша Ӏахар а, ворхӀ бож а еара пачхьалкхан къиношна тӀера а, Везачу Элан цӀийнан езачу чоьнна тӀера а, ЯхӀудан халкъана тӀера а. АхӀаронан тӀаьхьенах болчу динан дайшна тӀедиллира паччахьо и дийнаташ сагӀа доккхучу Везачу Элан кхерчана тӀехь дагор.</verse>
				<verse number="22">Динан дайша, старгӀанашна урс а хьаькхна, церан цӀийн цинцаш сагӀа доккхучу кхерчана тӀетуьйхира. Цул тӀаьхьа цара, уьстагӀашна урс а хьаькхна, церан цӀийн цинцаш сагӀа доккхучу кхерчана тӀетуьйхира. Иштта Ӏахаршна урс а хьаькхна, церан цӀийн цинцаш сагӀа доккхучу кхерчана тӀетуьйхира цара.</verse>
				<verse number="23">ТӀаккха, къиношна тӀера урс хьакха ялийна йолу бежалой паччахьна а, халкъан гуламна а хьалха дӀа а хӀиттийна, царна тӀе куьйгаш дехкира.</verse>
				<verse number="24">Царна урс а хьаькхна, берриге а Исраилан халкъан къинош дӀадахархьама, бежалойн цӀийн цинцаш туьйхира кхерча тӀе. ХӀунда аьлча паччахьо омра динера берриге а Исраилан халкъана тӀера дийнаташ дагоран сагӀа а, къинойх цӀандаларан сагӀа а даккха аьлла.</verse>
				<verse number="25">Дауда а, Делера дерг гуш волчу, паччахьан пайхамар волчу Гадас а, Ната-пайхамаро а тӀедиллина ма-хиллара, — ткъа и тӀедиллар Везачу Элера долу дела — Хьузакх-ЯхӀу-паччахьо Везачу Элан цӀийнан кертахь, тайп-тайпана дечиг-пондарш а, цӀастанан жима негӀарш а карахь долу левихой дӀахӀиттийра.</verse>
				<verse number="26">Дауд-паччахьо юкъабаьккхина хилла гӀирс карахь болу левихой а, локху турбанаш карахь йолу динан дай а дӀахӀиттийча,</verse>
				<verse number="27">Хьузакх-ЯхӀус омра дира, дагоран сагӀина урс хьаькхна долу дийнаташ кхерча тӀе дахка аьлла. СагӀа даккха долийча, локхучу турбанашца а, исраилхойн паччахь хилла волчу Даудан гӀирсашца а зурма а лоькхуш, Везачу Элана лерина эшарш лекха йолийра.</verse>
				<verse number="28">Халкъан берриг а гуламо а Ӏибадат дора, илланчаша эшарш лоькхуш а, турбанаш екаш а йолчу хенахь. Иза иштта лаьттара, дийнаташ дагоран сагӀа даккхар чекхдаллалц.</verse>
				<verse number="29">Дийнаташ дагоран сагӀа даккхар чекхдаьлча, паччахьо а, цуьнца болчу массара а, суждане а бахана, Ӏибадат дира.</verse>
				<verse number="30">Хьузакх-ЯхӀу-паччахьо а, баьччанаша а левихошка омра дира, Дауда а, Делера дерг гуш хилла волчу Асайп-пайхамаро а яздинчу дешнашца Везачу Элана хастамаш бе аьлла. Халкъо хазахетарца эшарш а лоькхура, уьш суждане а боьлхура, цара Везачу Элана Ӏибадат а дора.</verse>
				<verse number="31">Хьузакх-ЯхӀус, вист а хуьлуш, элира: «ХӀинца аша шаьш Везачу Элана лерина дӀакъастор чекхдаьлла. Дуьло, Везачу Элан цӀа долчу бертан а, баркаллин а сагӀанаш даладе». ТӀаккха халкъан гуламо бертан а, баркаллин а сагӀанашна дийнаташ даладора. Шен даг чохь лаам болчу хӀораммо а дагоран сагӀанаш даха дийнаташ даладора.</verse>
				<verse number="32">Халкъан гуламо дагоран сагӀа даккха далийначу дийнатийн барам иштта бара: кхузткъе итт сту, цхьа бӀе уьстагӀ, ши бӀе боьрша Ӏахар. И дерриге а Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран сагӀа даккха далийнера.</verse>
				<verse number="33">Кхин а ялх бӀе дийнат хьайбанийн юкъара а, кхо эзар — жен юкъара а далийнера бертан а, баркаллин а сагӀанашна.</verse>
				<verse number="34">Ткъа динан дай кӀеззиг болу дела, уьш лара ца бора дагоран сагӀина далийначу дерриг а дийнаташна тӀера цӀокарчий схьаяха. Цундела царна гӀо дора церан вежарий болчу левихоша. Кхиболу динан дай цӀанбаллалц а, сагӀа доккху и гӀуллакх чекхдаллалц а гӀо дира цара. ХӀунда аьлча левихой шаьш Далла гергахь цӀанбарна тӀехь динан дайл а лерина лелара.</verse>
				<verse number="35">Оцу дийнаташ дагоран сагӀина дахьаш долчу хӀуманна тӀекхетара боккхачу барамехь долу барт баран сагӀанийн мохь а, чагӀаран сагӀина дахьаш долу малар а. Иштта меттахӀоттийра Везачу Элан цӀенца доьзна долу гӀуллакх дар.</verse>
				<verse number="36">Хьузакх-ЯхӀу а, дерриг халкъ а чӀогӀа самукъадаьлла дара Дала Шен халкъана диначунна, хӀунда аьлча иза сихха кхочушхилира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="30">
				<verse number="1">Берриге а Исраил-мехкан а, ЯхӀуд-мехкан а меттигашка геланчаш бахийтира Хьузакх-ЯхӀус. Иштта Эпрайм-махка а, Маннаш-махка а кехаташ яздира цо, дерриг а цигара халкъ Ярушалаймехь лаьтташ долу Везачу Элан цӀа долчу даладе аьлла, Исраилан халкъан Везачу Далла лерина Пасахьан дезде даздархьама.</verse>
				<verse number="2">Паччахьо а, цуьнан баьччанаша а, Ярушалаймерчу берриге а гуламо а кхеташонехь сацам бира, шеран шолгӀачу баттахь Везачу Элана лерина долу Пасахь олу дезде даздийр ду аьлла.</verse>
				<verse number="3">И гӀуллакх цул хьалха билгалъяьккхинчу хенахь кхочушдар ца нисделлера церан, Далла гергахь цӀанбеллачу динан дайн барам кхоччуш ца хилла дела а, халкъ Ярушалайме схьагулделла ца даьлла дела а.</verse>
				<verse number="4">Паччахьна а, берриге гуламна а и сацам хазахийтира.</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха Беар-ШабаӀ-гӀалара дуьйна Дан-гӀалина тӀе кхаччалц, берриге а Исраил-махкахула кхайкхам бар билгалдаьккхира. И кхайкхам бинера, Ярушалайме халкъ схьагулдайтархьама. ХӀунда аьлча Исраилан Везачу Далла лерина долу Пасахьан дезде, товрат-хьехамаш тӀехь яздина ма-хиллара, иштта дуккха а цхьаьна долчу халкъаца даздар кхочуш ца динера.</verse>
				<verse number="6">Берриге а Исраил-махкахула а, ЯхӀуд-махкахула а паччахьан а, цуьнан баьччанийн а кехаташ дӀасадаржош бахара геланчаш. Паччахьо динчу омрица кехата тӀехь яздина дара: «Исраилан халкъ! ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Исраилан а Дела волчу Везачу Элана тӀедерзалаш, тӀаккха ашурхойн паччахьан карара схьабевллачу дийна бисинчарна тӀевоьрзур ву Иза а.</verse>
				<verse number="7">Шайн дайн Дела волчу Везачу Элана тешаме ца хиллачу шайн дайх а, вежарех а дӀа ма тарлолаш. Шена тешаме ца хиларна, адам инзардолуьйту хӀума йира Цо царах.</verse>
				<verse number="8">ХӀинца дуьйна шайн дайн санна къиза дегнаш долуш ма хилалаш, ткъа Везачу Элана муьтӀахь хилалаш. Цо гуттаренна а даздина долчу, Цуьнан цӀенна тӀе дуьйла. Шайн Везачу Далла гӀуллакх де, тӀаккха Цо Шен чӀогӀа йолу дералла шуна тӀера дӀайоккхур ю.</verse>
				<verse number="9">Шун дегнаш Везачу Элана тӀе юхадирзича, шун вежарех а, шун берех а уьш йийсаре бигначара къинхетам бийр бу. ТӀаккха уьш кху махка юхабоьрзур бу, хӀунда аьлча шун Веза Дела дика а, къинхетаме а ма ву. Нагахь санна шу Цунна тӀедерзахь, Иза шух дӀавоьрзур вац».</verse>
				<verse number="10">Эпрайман а, Маннашан а мехкашкахула, Забулан махка тӀекхаччалц, цхьана гӀалара вукху гӀала боьлхура геланчаш. Ткъа адамаш царах доьлуш а, кхаьрдаш а дара.</verse>
				<verse number="11">Делахь а, Ашаран а, Маннашан а, Забулан а тайпанех болчу цхьаболчара, къар а белла, ладуьйгӀира цаьрга. Уьш Ярушалайме баьхкира.</verse>
				<verse number="12">ЯхӀуд-махкахь, адамашна цхьаалла а луш, Дала халкъ иракарахӀоттийра, Везачу Эло аьлла ма-хиллара, паччахьан а, цуьнан баьччанийн а омра кхочушдархьама.</verse>
				<verse number="13">Шеран шолгӀачу баттахь Ярушалаймехь вуно дукха адам гулделира, Совсазчу баьпкан дезде даздархьама. Гулам дикка боккха бара.</verse>
				<verse number="14">Гулбеллачара, хьала а гӀевттина, Ярушалаймехь цӀушна лерина дагоран сагӀа доккхуш хилла болу кхерчаш бохийра. Иштта, цӀушна лерина хаза хьожа йогӀу хӀума ягош болу берриге а гӀирс, боха а бина, Кхидрун-тогӀи чу кхоьссира цара.</verse>
				<verse number="15">ТӀаккха шолгӀачу беттан дейтталгӀачу дийнахь Пасахьан Ӏахарна урс хьаькхира цара. Динан дайша а, левихоша а, эхь а хетта, цӀан а белла, Везачу Элан цӀийнан керта дагоран сагӀа даккха дийнаташ далийра.</verse>
				<verse number="16">Делан стаг волчу Мусан товрат-хьехам тӀехь яздина ма-хиллара, шайна тӀедиллина ма-хиллара, шайна билгалъяьхначу меттигашка дӀахӀиттира уьш. Динан дайша, левихойн карара схьа а оьцуш, цӀийн цинцаш тухура.</verse>
				<verse number="17">Гулбеллачарна юкъахь Далла гергахь шаьш дӀахӀитта цӀанбалаза берш тӀех дукха хиларна, церан Пасахьан Ӏахарий Везачу Элана лерина хилийта ца хӀуьттура уьш. Церан метта Пасахьан Ӏахаршна урс хьаькхира левихоша.</verse>
				<verse number="18">Халкъана юкъара дукхахберш Далла гергахь цӀанбалаза бара. Уьш дукхахьолахь Эпрайман а, Маннашан а, Иссарханан а, Забулан а тайпанех бара. Делахь а, хила ма-дезза иза доццушехь, цара а йоура сагӀина беанчу Пасахьан Ӏахарх йолу хӀума.</verse>
				<verse number="19">Ткъа Хьузакх-ЯхӀус царна тӀера доӀа дира. Цо элира: «Шена хьалха цӀанвалаза висинехь а, шен дог шайн дайн Дела волу Веза Эла лахарна тӀедерзийна волчу хӀоранна а дика волчу Везачу Эло гечдойла!»</verse>
				<verse number="20">Хьузакх-ЯхӀун доӀа дӀа а хезна, Везачу Эло халкъана гечдира.</verse>
				<verse number="21">Ярушалайме баьхкинчу исраилхоша чӀогӀа самукъадаларца ворхӀ дийнахь даздира Совсазчу баьпкан дезде. Левихоша а, динан дайша а Везачу Элана хастамаш барна леринчу зевнечу зурманийн гӀирсашца хӀора дийнахь Цунна хастамаш бора.</verse>
				<verse number="22">Кхетам а болуш, Везачу Элана дика гӀуллакх деш бохкучу левихошна тамехь дерг олура Хьузакх-ЯхӀус. Шайн дайн Дела волу Веза Эла хеста а веш, Цунна лерина бертан сагӀа а доккхуш, дезачу деношна билгалъяьккхина йолу хӀума йиира цара ворхӀ дийнахь.</verse>
				<verse number="23">Гулбеллачу массара а сацам бира и дезде кхин а ворхӀ дийнахь даздан. ТӀаккха самукъадаларца кхин а ворхӀ де даьккхира цара, и де даздеш.</verse>
				<verse number="24">ЯхӀудхойн паччахьо Хьузакх-ЯхӀус цхьа эзар сту а, ворхӀ эзар уьстагӀ а беанера сагӀина гулбеллачарна тӀера. Иштта баьччанаша а беанера цхьа эзар сту а, итт эзар уьстагӀ а. ТӀаккха динан дайшна юкъара дуккхамо а, Далла гӀуллакх дарна дӀа а къаьсташ, шаьш цӀанбира.</verse>
				<verse number="25">ЯхӀуд-махкара схьабаьхкинчу массеран а самукъадаьллера. Иштта самукъадаьлла бара динан дай а, левихой а, Исраил-махкара схьадеана халкъ а, ЯхӀуд-махкахь тӀебаьхкинарш санна Ӏаш болу исраилхой а.</verse>
				<verse number="26">Ярушалаймехь доккха хазахетар хиллера, хӀунда аьлча исраилхойн паччахь хиллачу Даудан кӀентан Сулиман заманахь дуьйна схьа ца хиллера цу тайпана хӀума Ярушалаймехь.</verse>
				<verse number="27">ТӀаккха динан дайша а, левихоша а, хьала а гӀевттина, халкъ декъалдира. ДӀахезира Везачу Элана церан аз, хӀунда аьлча Веза Эла Ӏаш волчу стигаларчу Цуьнан езачу метте дӀакхечира церан доӀа.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="31">
				<verse number="1">И дерриге а чекхдаьллачул тӀаьхьа цигахь хилла болу массо а исраилхой яхӀудхойн гӀаланашка бахара. Цигахь харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш кегдира цара. Иштта Ашера-далла лерина долу дечиган бӀогӀамаш а хедийра, тӀехь сагӀа доккху гунаш а, меттигаш а йохийра берриг а ЯхӀуд-махкахь а, Бен-Яман-махкахь а, Эпрайман а, Маннашан а мехкаш чекхбовллалц йолчу меттигашкахь. Цул тӀаьхьа берриге а исраилхой шайн гӀаланашка, шайн хӀусамашка юхабирзира.</verse>
				<verse number="2">Динан дай а, левихой а, шаьш дӀахӀиттабаре терра, шайн-шайн рогӀехь, хӀора а шен гӀуллакх дан дӀахӀоттийра Хьузакх-ЯхӀус. Царна тӀедехкинчу гӀуллакхашна юкъадогӀура: дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш дахар а, Везачу Элана гӀуллакх дар а, Далла баркаллаш бахар а, Веза Эла Ӏаш йолчу меттиган кевнашкахь Цунна хастамийн иллеш алар а.</verse>
				<verse number="3">Паччахьо шен хьолах цхьадолу дакъа дийнаташ дагоран сагӀанаш дахарна дала билгалдаьккхира: Ӏуьйренан а, суьйренан а дийнаташ дагоран сагӀанаш дахарна а, шоьтан деношкахь а, бутт цӀинлучу деношкахь а, Везачу Элан товрат-хьехамехь яздина долчу кхечу дезачу деношкахь а сагӀанаш дахарна а.</verse>
				<verse number="4">Ярушалаймехь дехачу халкъана паччахьо тӀедиллира динан дайшна а, левихошна а догӀуш долу ялтин а, сурсатийн а дакъа дӀадалар, цаьрга Везачу Элан товрат-хьехамаш кхочушбан ойла хилийтархьама, кхечунна тӀедерза а ца дезаш.</verse>
				<verse number="5">Паччахьан омра дӀакхайкхийча, керлачу ялтех а, чагӀарх а, даьттанах а, мазах а, аренгара тайп-тайпанчу стоьмех а вуно дукха хӀума еара исраилхоша. Шайн долчу дерриг а хьолах уьтталгӀа дакъа а деара цара.</verse>
				<verse number="6">ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь бехачу исраилхоша а, яхӀудхоша а деара шайн бежана юкъара а, жена юкъара а уьтталгӀа дакъош. Иштта шайн Везачу Далла лерина сагӀина гулдинчух а уьтталгӀа дакъа схьадеара цара. Церан вуно дукха хӀума гулделира.</verse>
				<verse number="7">И гӀуллакх, шеран кхоалгӀачу баттахь дола а дина, ворхӀалгӀачу баттахь чекхдаьккхира цара.</verse>
				<verse number="8">Хьузакх-ЯхӀу а, цуьнан баьччанаш а схьабаьхкича, царна вуно дукха гулделла хӀума гира. Везачу Элана хастамаш бира цара, ткъа Цуьнан Исраилан халкъ декъалдира цара.</verse>
				<verse number="9">Хьузакх-ЯхӀус динан дайшка а, левихошка а оцу гулделлачу хӀуманах лаьцна хаттар дира.</verse>
				<verse number="10">ТӀаккха ЦӀадукъин тӀаьхьенах волчу коьртачу динан дас Ӏазар-ЯхӀус жоп делира: «Везачу Элан цӀа долчу тхайн долахь долчух уьтталгӀа дакъа дан долийчхьана, оха дуззалц хӀума а йоу, кхин дуккха а хӀума а юьсу тхан. Ткъа Везачу Эло Шен халкъ декъалдина дела, оццул дукха хӀума а дисина».</verse>
				<verse number="11">Хьузакх-ЯхӀус, Везачу Элан цӀийнан кертахь кхин а тӀаьхьалонна сурсаташ чудохку чоьнаш кечъе аьлла, омра дира. Уьш кечйича,</verse>
				<verse number="12">совгӀаташ а, уьтталгӀа дакъош а, Далла дӀакъастийна сагӀанаш а леррина царна чу охьадехкира. Оцу хӀуманна тӀехьожуш хьаькам хӀоттийра левихо волу Ханан-ЯхӀу. Ткъа Ханан-ЯхӀун ваша ШамаӀи цунна гӀо деш шолгӀаниг хӀоттийра.</verse>
				<verse number="13">Хьузакх-ЯхӀу-паччахьо а, Делан цӀенна тӀехь хьаькам волчу Ӏазар-ЯхӀус а тӀедилларца Ханан-ЯхӀун а, ШамаӀин а куьйга кӀел оцу хӀуманийн дола дан дӀахӀоттийра Яхьиал, Азаз-ЯхӀу, Нахьати, ӀасахӀал, Еримати, Юзабди, Элиал, Исмах-ЯхӀу, Махьат, БенъяхӀу.</verse>
				<verse number="14">Шайн лаамехь Далла дахьаш долчу сагӀанийн дола дан а, Везачу Элана луш йолу хӀума а, даздина долу совгӀаташ а дӀасадекъа дӀахӀоттийра Кхура. Иза малхбалехьарчу кевнехь ха деш волу, Иманин кӀант волу левихо вара.</verse>
				<verse number="15">Кхурин куьйга кӀел бара Ӏедан, Мин-Яман, ЮшаӀ, ШамӀа-ЯхӀу, Амар-ЯхӀу, Шахан-ЯхӀу. Динан дайн гӀаланашкахь тешаме хиларца гӀо дира цара Кхурина, шайн вежаршна, жимачунна а, воккхачунна санна, шайн тобанашка хьаьжжина, доггӀург дӀа а доькъуш.</verse>
				<verse number="16">ЦӀераш дӀаязйинчарна юкъахь болчу боьршачу нахах кхо шо а, цул сов а хан йолчарна дӀасадоькъура и хӀума — Везачу Элан цӀа чохь хӀора дийнахь, шайн дарже а, тобане а хьаьжжина, шайна тӀедиллина гӀуллакх деш болчарна.</verse>
				<verse number="17">Шайн доьзалшка хьаьжжина, тептар тӀе дӀаязбина болчу динан дайшна а, ткъа шо а цул сов хан йолчу левихошна а, царна тӀедехкинчу гӀуллакхашка а, церан тобанашка а хьаьжжина, дӀадоькъура цара и хӀума.</verse>
				<verse number="18">Иштта дӀадоькъура и хӀума цу тептар тӀе дӀаяздинчу, берриге а гуламна чудогӀуш долчу берашна а, зударшна а, кӀенташна а, йоӀаршна а. ХӀунда аьлча цара, цӀан а белла, тешаме хиларца шаьш Далла дӀакъастийнера, Цунна леррина гӀуллакх дархьама.</verse>
				<verse number="19">АхӀаронан тӀаьхьенах болу динан дай бехачу гӀаланийн гонахарчу дежийлашкахь Ӏаш болчу динан дайх лаьцна аьлча, цигахь цӀершца билгалбаьхна болу нах дӀахӀиттийра, динан дайн доьзалшна юкъара хӀора боьршачунна а, левихошна юкъара хӀора дӀаязвинчунна а и хӀума дӀадекъархьама.</verse>
				<verse number="20">Иштта гӀуллакх дира Хьузакх-ЯхӀус берриге а ЯхӀуд-махкахь. Шен Везачу Далла хьалха диканиг а, нийсо ерг а, тешаме дерг а леладора Хьузакх-ЯхӀус.</verse>
				<verse number="21">Шен Дела дага а лоцуш, Делан цӀенна лерина а, Цуьнан товрат-хьехамаш а, весеташ а лардарна а, ша дечу массо а хӀуманна тӀехь а, доггах гӀуллакх дора Хьузакх-ЯхӀус, цундела кхиамаш а хуьлура цуьнан.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="32">
				<verse number="1">Везачу Элана тешаме а волуш, Хьузакх-ЯхӀус дина гӀуллакхаш чекхдевлча, ЯхӀуд-махка чугӀоьртира ашурхойн паччахь волу Санхьариб. ЧӀагӀйина гӀаланаш шена схьаяха дагахь, царна го бира цо.</verse>
				<verse number="2">Санхьариб, ЯхӀуд-махка чу а гӀоьртина, Ярушалаймана дуьхьал тӀом бан веана хилар шена гича,</verse>
				<verse number="3">Хьузакх-ЯхӀус, шен баьччанех а, тӀеман хьаькамех а дага а ваьлла, гӀалин арахула долу хин хьостанаш дӀадукъар юкъадалийра. Цара и дан гӀо дира Хьузакх-ЯхӀуна.</verse>
				<verse number="4">Дуккха а наха, гул а белла, кӀоштахула долуш долу хьостанаш а, оьхуш долу хиш а дӀадуькъира. Цара олура: «Кху метте шаьш баьхкича, хин шорто хӀунда каро еза ашурхойн паччахьашна?»</verse>
				<verse number="5">ГӀала чӀагӀъярхьама, иштта белхаш бира Хьузакх-ЯхӀус: доьхна долу пенаш а меттахӀиттийра, пенашна тӀехула бӀаьвнаш а хӀиттийра, чухуларчу пенна гонах кхин а пен а дӀахӀоттийра, Даудан гӀали чу йогӀуш йолу Милло цӀе йолу терхийн басенаш чӀагӀ а йира цо. Иштта дуккха а герз а, турсаш а кечдира цо.</verse>
				<verse number="6">Халкъана тӀехь тӀеман хьаькамаш хӀиттийра Хьузакх-ЯхӀус. ГӀалин кевнехь йолчу майданахь, халкъ шена тӀе а даладайтина, цуьнан дог а оьцуш, цо элира:</verse>
				<verse number="7">«ЧӀагӀлой, доьналла долуш хилалаш! Ашурхойн паччахьах а, цуьнца долчу доккхачу эскарх а кхера а ма лолаш, ийза а ма лолаш, хӀунда аьлча вайца дерг дуккха а ницкъ болуш ду, цаьрца долчул.</verse>
				<verse number="8">Цаьрца берг адамийн ницкъ бу, ткъа вайца вайн Веза Дела ву, вайна гӀо а деш, вайн дуьхьа тӀом а беш волу». ТӀаккха яхӀудхойн паччахьан Хьузакх-ЯхӀун дешнаша халкъ чӀагӀдира.</verse>
				<verse number="9">Цул тӀаьхьа ашурхойн паччахьо Санхьариба шен хьаькамаш Ярушалайме яхӀудхойн паччахьна Хьузакх-ЯхӀуна а, Ярушалаймехь болчу массо а яхӀудхошна а тӀехьовсийра. Ткъа иза ша, шеца долчу эскарца Лахиш-гӀалина го а бина, цунна дуьхьал тӀом беш вара. Цо шен хьаькамашка хӀара алийтира:</verse>
				<verse number="10">«Иштта боху шуьга ашурхойн паччахьо Санхьариба: „Шена го бина йолчу Ярушалайм-гӀалахь виссал хьан бӀобулуш дерг хӀун ду те?</verse>
				<verse number="11">Мацаллех а, хьогаллех а шу далийтархьама, шуьга: ‘Вайн Везачу Дала вай кӀелхьардохур ду ашурхойн паччахьах’, — бохуш, шу ледой те Хьузакх-ЯхӀус?</verse>
				<verse number="12">ЯхӀудан халкъе а, Ярушалайман бахархошка а: ‘СагӀа доккхучу цхьана кхерчана хьалха бен Ӏибадат а ма де, цунна тӀехь бен сагӀина дийнаташ а ма дагаде’, — бохуш, оцу Далла лерина сагӀа доккху гунаш а, шайна тӀехь долу кхерчаш а дӀадаьхна волу Хьузакх-ЯхӀу вац ткъа иза?</verse>
				<verse number="13">Шуна ца хаьа ткъа аса а, сан дайша а кхечу мехкийн къаьмнашна динарг? Оцу къаьмнийн деланашка сан карара кӀелхьардахалур дарий ткъа шайн мехкаш?</verse>
				<verse number="14">Сан дайша хӀаллакдинчу къаьмнийн массо а деланех шен халкъ сан карара хьаьнга кӀелхьардаккхаделира? Шун Дала сан карара муха кӀелхьардохур дара шу?</verse>
				<verse number="15">Ткъа хӀинца Хьузакх-ЯхӀуга шаьш иштта Ӏеха а ма дайта, ле а ма дайта. Ма тешалаш цунах. Нагахь санна цхьана а къоман а, цхьана а пачхьалкхан а, цхьана а делан а сан карара а, сан дайн карара а шен халкъ кӀелхьардаккха ницкъ кхаьчна ца хилча, шун Дала а дохур дац шу сан карара“».</verse>
				<verse number="16">Кхин а дуккха бехира Санхьарибан хьаькамаша Везачу Далла а, Цуьнан ялхо волчу Хьузакх-ЯхӀуна а дуьхьал долу дешнаш.</verse>
				<verse number="17">Иштта, Исраилан Веза Дела емал а веш, кехаташ а яздора Санхьариба, Цунна дуьхьал хӀара дешнаш а далош: «Кхечу мехкашкахь дехачу къаьмнийн деланашка шайн халкъаш сан карара дӀа ца дахадаларе терра, Хьузакх-ЯхӀун Деле а кӀелхьардаккхалур дац Шен халкъ сан карара».</verse>
				<verse number="18">Пенан тӀехуленна тӀедаьлла лаьтта Ярушалайман халкъ кхера а дина, оза а далийтина, гӀала схьаяккхархьама, яхӀудхойн маттахь чӀоггӀа маьхьарий хьоькхура цара.</verse>
				<verse number="19">Ярушалайман Делах лаьцна а олура цара, Иза а адамийн куьйга бинчу лаьттахь дехаш долчу кхечу къаьмнийн деланех тарвеш.</verse>
				<verse number="20">Хьузакх-ЯхӀу-паччахьо а, Амосан кӀант волчу ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро а, доӀа а дина, оцу гӀуллакхах лаьцна стигала хьала кхайкхам бира.</verse>
				<verse number="21">ТӀаккха Везачу Эло малик даийтира. Ашурхойн паччахьан меттаматтахь болу массо а майра эскархой а, эскаран хьаькамаш а, тӀеман хьаькамаш а хӀаллакбира цо. Санхьариб, юьхьӀаьржачу а хӀоьттина, шен махка юхавирзира. Шен делан цӀа чу ваьлча, цуьнан шен тӀаьхьенах болчара, тур а тоьхна, вийра иза.</verse>
				<verse number="22">Иштта кӀелхьарбехира Везачу Эло Хьузакх-ЯхӀу а, Ярушалайман бахархой а ашурхойн паччахьан Санхьарибан а, кхечу къаьмнийн а карара. Везачу Эло массо а агӀор паргӀато а елира царна.</verse>
				<verse number="23">ТӀаккха дуккхаммо а Ярушалайме Везачу Элана лерина совгӀаташ а, яхӀудхойн паччахьна еза хӀуманаш а еара. Цул тӀаьхьа массо а къаьмнашна хьалха хьаладелира Хьузакх-ЯхӀун сий.</verse>
				<verse number="24">Цу деношкахь Хьузакх-ЯхӀу, цомгуш а хилла, валарна гергакхаьчнера. Хьузакх-ЯхӀус Везачу Эле доӀа дича, тамашийна билгало ярца Цо жоп делира цунна.</verse>
				<verse number="25">Амма шена динчу диканан ларам ца бира Хьузакх-ЯхӀус, хӀунда аьлча дог курадаьллера цуьнан. ТӀаккха Дала цунна а, ЯхӀудан къомана а, Ярушалайман бахархошна а Шен оьгӀазалла тӀеяийтира.</verse>
				<verse number="26">Амма Хьузакх-ЯхӀу ша а, Ярушалайман бахархой а шаьш лах а беш, шайн деган кураллех юхабевлча, Хьузакх-ЯхӀус паччахьалла дечу заманчохь Везачу Эло Шен оьгӀазалла ца йира царна.</verse>
				<verse number="27">Хьузакх-ЯхӀун дуккха а хьал а дара, иза чӀогӀа сийлахь а вара. Дети а, деши а, деза тӀулгаш а, хаза хьожа йогӀу хьакхарш а, турсаш а, массо а тайпана еза пхьегӀаш а чуйохку гӀишлош кечйира цо.</verse>
				<verse number="28">Иштта лаьтто луш долу сурсаташ: кӀа а, чагӀар а, даьтта а чудилла чоьнаш кечйира цо. Массо а тайпана бежанаш чудохка божалш кечдира, жа латто керташ а нисйира.</verse>
				<verse number="29">ГӀаланаш а дӀахӀиттийра цо шена. Жаш а, хьайбанаш а вуно дукха дара Хьузакх-ЯхӀун, хӀунда аьлча Дала дуккха а хьал деллера цунна.</verse>
				<verse number="30">Иштта, лакхахула дӀадоьду Гихьон-хи, дӀа а къевлина, иза Даудан гӀалин малхбузехьа агӀор охьадахийтира Хьузакх-ЯхӀус. Ша мел дечу гӀуллакхаш тӀехь кхиамаш хуьлура Хьузакх-ЯхӀун.</verse>
				<verse number="31">ЯхӀуд-махкахь хиллачу билгалонах хаттар дан Бавел-мехкан куьйгалхоша хьажийна геланчаш баьхкинчу хенахь, Хьузакх-ЯхӀу зен а зийна, цуьнан дагахь мел дерг хаархьама бен дӀа ца тесира Дала иза.</verse>
				<verse number="32">Хьузакх-ЯхӀух кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — Везачу Элана иза чӀогӀа тешаме хиларх лаьцна — дӀаяздина ду «Амосан кӀантана ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамарна дуьхьалхӀоттийна сурт» цӀе йолчу а, «ЯхӀудхойн а, исраилхойн а паччахьийн хилларш» цӀе йолчу а тептарш тӀехь.</verse>
				<verse number="33">Хьузакх-ЯхӀу, дӀа а кхелхина, шайн дайх дӀакхийтира. Дауд-паччахьах схьабевллачеран къуббанаш йолчу гу тӀехь дӀавоьллира иза. Иза велча, ЯхӀуд-мехкан а, Ярушалайм-гӀалин а массо а бахархоша цуьнга болчу ларамца дӀаверзийра Хьузакх-ЯхӀу. Хьузакх-ЯхӀун метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Маннаш.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="33">
				<verse number="1">Маннашан шийтта шо хилла, иза паччахь дӀахӀоьттича. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо шовзткъе пхийтта шарахь паччахьалла дира.</verse>
				<verse number="2">Везачу Эло исраилхошна хьалхара дӀалелхийначу къаьмнаша лелийна мел долу дегаза гӀуллакхаш а лелош, Везачу Элана зуламе хеташ дерг леладора Маннаша.</verse>
				<verse number="3">Шен дас Хьузакх-ЯхӀус дохийна дӀадаьхна долу сагӀа доккху гунаш юхаметтахӀиттийра цо. Иштта БаӀал-харцделанашна сагӀа доккху меттигаш кечйора, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш а хӀиттадора цо. Стигалшкахь мел болчу ницкъашна, суждане а оьхуш, Ӏибадат дора цо.</verse>
				<verse number="4">Везачу Элан цӀа чохь а цӀушна сагӀа доккху кхерчаш дӀахӀиттийра Маннаша, оцу цӀийнах лаьцна «Ярушалайм-гӀалахь Сайн цӀе абаденна язъяйта лаьа Суна», — аьлла доллушехь Везачу Эло.</verse>
				<verse number="5">Везачу Элан цӀийнан шинна а кертахь стигалшкахь мел болчу ницкъашна сагӀа доккху кхерчаш дӀахӀиттийра цо.</verse>
				<verse number="6">Маннаша шен кӀентий Бен-ХӀинам-тогӀи чохь цӀерах чекхбохуьйтура. Иштта бозбунчаллаш а леладора, пал а туьйсура, беллачийн синош тӀедоьхуш болчарах а, жинашца тайначарах а дагаволура. Цу тайпана, Веза Эла оьгӀаз а вохуьйтуш, Цунна зуламе хеташ долу дуккха а гӀуллакхаш леладора цо.</verse>
				<verse number="7">Ша харцдалла лерина дина сурт схьа а эцна, иза Делан цӀа чохь дӀахӀоттийра Маннаша, цунах лаьцна Везачу Эло Дауде а, цуьнан кӀанте Сулиме а иштта аьлла доллушехь: «Ярушалайм-гӀалахь — исраилхойн шийтта тайпанийн латтанашна юкъара Айса хаьржина йолчу меттигехь — хӀокху Сайн цӀа чохь Сайн цӀе язъяйта лаьа Суна гуттаренна а»</verse>
				<verse number="8">Нагахь санна Аса шайна тӀе мел диллинарг — Мусагахула Айса царна белла берриг а товрат-хьехам, парзаш а, тӀедехкинарш а — цара леррина кхочушдахь, Айса церан дайшна деллачу лаьтта тӀера исраилхойн когаш кхин цкъа а арабохуьйтур бац Аса.</verse>
				<verse number="9">Амма ЯхӀудан халкъ а, Ярушалайман бахархой а харц некъа тӀе бехира Маннаша: Везачу Эло, исраилхошна уллора дӀа а даьхна, хӀаллакдинчу кхечу къаьмнаша лелийначул а сов зуламе дерг леладора цара.</verse>
				<verse number="10">Везачу Эло дӀаолура Маннаше а, цуьнан халкъе а, амма цара ла ца дугӀура.</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха Везачу Эло ашурхойн паччахьан тӀеман коьрта хьаькамаш бахийтира Маннашана тӀе. Цара, иза дӀа а лаьцна, мерӀуьргех чӀуг чекх а яьккхина, йоьзан буржалш а дихкина, Бавел-махка дӀавигира.</verse>
				<verse number="12">Ша гаттавелла хьаьвзича, шен дайн Далла хьалха ша даггара лах а веш, Маннаша шен Везачу Деле шеца дика хилар доьхура.</verse>
				<verse number="13">Маннаша Везачу Эле доӀа дича, Цо, дӀа а хезна, Маннашан доӀа тӀеийцира. Дала, иза Ярушалайме юха а верзийна, шен паччахьалла дан дӀахӀоттийра. ТӀаккха кхийтира Маннаш Веза Эла — Дела хиларх.</verse>
				<verse number="14">Цул тӀаьхьа Маннаша Даудан гӀалин арахула болу пен юхаметтахӀоттийра. Гихьон-хина малхбузехьа долчу Ӏинан тӀехула ЧӀерийн ков олучу меттехула а, Ӏупал-гӀалин гонах, леккха хьала а боккхуш, юхаметтахӀоттийра цо гӀалин пен. ЯхӀуд-махкарчу чӀагӀйинчу массо а гӀаланашкахь тӀеман коьрта хьаькамаш дӀахӀиттийра цо.</verse>
				<verse number="15">Хийрачу мехкашкара деланаш а, Везачу Элан цӀа чу дӀахӀоттийна цӀу а дӀаваьккхира Маннаша. Иштта Ярушалаймехь а, Везачу Элан цӀа тӀехь лаьттачу ломахь а ша дӀахӀиттийна сагӀа доху кхерчаш дохийна, гӀалин арахьа дӀакхиссира цо.</verse>
				<verse number="16">Везачу Элана лерина сагӀа доккху кхерч ша хиллачу метте дӀа а хӀоттийна, цу тӀехь бертан а, баркаллин а сагӀанаш дехира Маннаша. ЯхӀудхошна цо тӀедиллира, Исраилан Везачу Далла Ӏамал е аьлла.</verse>
				<verse number="17">Халкъо кхидӀа а сагӀа доккхучу гунаш тӀехь сагӀанаш даьхнехь а, и сагӀанаш шайн Везачу Далла лерина бен дацара.</verse>
				<verse number="18">Маннашан кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — шен Деле цо динчу доӀанах а, Исраилан Везачу Делан цӀарах хиндерг гуш болчара Маннаше аьллачу дешнех а лаьцна — яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.</verse>
				<verse number="19">Маннаша динчу доӀанах а, Далла иза дӀахазарх а, Далла хьалха ша лахвале цунах мел даьллачу къинойх лаьцна — иза Далла тешаме цахиларх а, цо сагӀа доккху гунаш дарх а, цо Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш дӀахӀиттадарх а, цо бинчу цӀуйх а лаьцна — яздина ду Делера дерг гуш болчу пайхамарийн тептар тӀехь.</verse>
				<verse number="20">Маннаш, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза шен паччахьан цӀахь дӀавоьллира. Маннашан метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Амин.</verse>
				<verse number="21">Аминан ткъе ши шо дара, иза паччахь хилла дӀахӀоьттича. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо шина шарахь паччахьалла дира.</verse>
				<verse number="22">Шен дас Маннаша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора Амина а. Шен дас Маннаша мел дӀахӀиттийначу цӀушна сагӀанаш а дохура, Ӏамал а йора Амина.</verse>
				<verse number="23">Амма шен дас Маннаша ма-дарра, ша Везачу Элана хьалха лах ца вира цо. Мелхо а, шен къинош совдехира цо.</verse>
				<verse number="24">Ӏамминан хьаькамаша, ямартлонца цунна дуьхьал барт а бина, шен паччахьан цӀахь иза вийра.</verse>
				<verse number="25">Амма цу махкарчу халкъо Амин-паччахьна дуьхьалбевлла хилларш берриш а хӀаллакбира. Цара Аминан метта цуьнан кӀант Юши-ЯхӀу, паччахь а вина, дӀахӀоттийра.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="34">
				<verse number="1">Юши-ЯхӀун бархӀ шо хилла иза паччахь дӀахӀуттучу хенахь. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо ткъе цхьайтта шарахь паччахьалла дира.</verse>
				<verse number="2">Везачу Элана нийса хеташ дерг леладора цо. Шен дайх хилла волу Дауд санна, нийсачу новкъа тӀехь лелла Юши-ЯхӀу. Цу некъа тӀера я аьтту, я аьрру агӀор дӀа ца ваьлла иза.</verse>
				<verse number="3">Паччахьалла деш долу борхӀалгӀа шо долуш, ша къона стаг воллушехь, шен ден дайх хиллачу Даудан Дела леха волавелира Юши-ЯхӀу. Ткъа ша паччахьалла деш долу шийтта шо кхаьчча, ЯхӀуд-мохк а, Ярушалайм а цӀанйира цо цигахь хиллачу халкъо Ӏибадат деш схьакъастийначу гунех а, цу гӀуллакхна билгалдаьхначу диттех а, куц далош, боьттина бинчу цӀуйх а.</verse>
				<verse number="4">БаӀал-деланашна лерина йолу сагӀа доккху меттигаш а, царна тӀехула хӀиттийна хаза хьожа йогӀу хӀума яго гӀирсаш а бохабайтира цо. Иштта Ашера-далла лерина болу дечиган бӀогӀамаш а, кхиболу цӀуш а, дина суьрташ а доха а дина, царах чан а йина, цӀушна сагӀа даьккхинчеран къуббанаш тӀехула дӀасаяржийра цо.</verse>
				<verse number="5">Харц динан дайн даьӀахкаш церан сагӀа доккху меттигашкахь яга а йина, цӀанбира Юши-ЯхӀус ЯхӀуд-мохк а, Ярушалайм а.</verse>
				<verse number="6">Изза дира Юши-ЯхӀус Маннаш-мехкан а, Эпрайм-мехкан а, ШимӀа-мехкан а гӀаланашкахь а, царна гонах долчу къапалгашкахь а, ур-атталла Наптал-махкана тӀекхаччалц.</verse>
				<verse number="7">Берриг а Исраил-махкахула йолу сагӀа доккху меттигаш а, Ашера-далла лерина долу дечиган бӀогӀамаш а дохийна дӀадехира, цӀуйх а чан йира, хаза хьожа йогӀу хӀума яго гӀирсаш а бохийра Юши-ЯхӀус. ТӀаккха иза Ярушалайме юхавирзира.</verse>
				<verse number="8">Ша паччахьалла дечу берхӀитталгӀачу шарахь, мохк а, Везачу Элан цӀа а ша цӀандечу хенахь Ацал-ЯхӀун кӀант Шапани а, гӀалин хьаькам МаӀсей-ЯхӀу а, йозанча волу Юахьазан кӀант Юахьи а вахийтира Юши-ЯхӀус шен Везачу Делан цӀа тодан.</verse>
				<verse number="9">Цара, динан коьртачу дена Хьалкхи-ЯхӀуна тӀе а бахана, Делан цӀенна деана долу ахча дӀаделира цуьнга. Делан цӀийнан кевнехь гӀарол деш лаьттачу левихоша гулдина дара и ахча. Иза маннашхоша а, эпраймхоша а, исраилхойн дерриге а дисинчу декъо а, иштта берриге а яхӀудхоша а, бен-яманхоша а, Ярушалайман бахархоша а деанера.</verse>
				<verse number="10">И ахча Везачу Элан цӀенна тӀехь болх беш болчу белхалошна тӀехьожучу нехан кара дӀаделира. Ткъа цара Везачу Элан цӀа, то а деш, карладоккхуш белхаш беш болчарна дӀадоькъура и ахча.</verse>
				<verse number="11">Дечиган пхьерашка а, гӀишло ечаьрга а дӀаделира цара ахча, яхӀудхойн паччахьо талхийтинчу гӀишлошна оьшу хьаькхна тӀулг а, бӀогӀамаш дан дечиг а цаьрга эцийтархьама.</verse>
				<verse number="12">Балха тӀехь тешаме бара и нах. Царна тӀехьожуш дӀахӀиттийна бара Мерарин тӀаьхьенах болу левихой Яхьат а, Ӏабди-ЯхӀу а. Мерарин тӀаьхьенах болу левихой Яхьат а, Ӏабди-ЯхӀу а, иштта КхахӀатан тӀаьхьенах болу Закри-ЯхӀу а, Машулим а. Массо а левихой говза зурманчаш бара.</verse>
				<verse number="13">Левихоша куьйгалла дора кира лелочарна тӀехь а, кхиболу белхаш беш болчу берриге а белхалошна тӀехь а. Иштта левихошна юкъара бара йозанчаш а, тӀехьожу куьйгалхой а, кевнашкахь гӀарол дийраш а.</verse>
				<verse number="14">Цара Везачу Элан цӀа долчу деана ахча схьаоьцучу хенахь, динан дена Хьалкхи-ЯхӀуна карийра Везачу Эло Мусагахула делла долу товрат-хьехамаш тӀехь болу тептар.</verse>
				<verse number="15">ТӀаккха Хьалкхи-ЯхӀус йозанча волчу Шапанига элира: «Товрат-хьехамийн тептар карийна суна Везачу Элан цӀа чохь». И тептар Шапанига дӀаделира Хьалкхи-ЯхӀус.</verse>
				<verse number="16">Шапанис и тептар паччахьна тӀедаьхьира. Иштта паччахье хаам а бира цо: «Ахьа хьан ялхошна тӀедиллинарг цара дерриг а кхочушдо.</verse>
				<verse number="17">Хьан ялхоша, Везачу Элан цӀа долчохь гулделла ахча схьа а эцна, иза белхаш беш болчарна тӀехьожуш болчийн а, белхаш беш болчеран а кара дӀаделла», — аьлла.</verse>
				<verse number="18">Йозанчо Шапанис паччахье кхин а цхьа хаам бира: «Динан дас Хьалкхи-ЯхӀус тептар делла соьга», — аьлла. Иза паччахьна хьалха дӀадийшира цо.</verse>
				<verse number="19">Товрат-хьехамийн дешнаш шена дӀахезча, паччахьо шен тӀехулара бедарш этӀийра.</verse>
				<verse number="20">ТӀаккха динан дена Хьалкхи-ЯхӀуна а, Шапанин кӀантана Ахьикхамина а, Мика-ЯхӀун кӀантана Ӏабданина а, йозанчина Шапанина а, паччахьан ялхочунна Ӏаси-ЯхӀуна а, тӀе а дуьллуш, цо элира:</verse>
				<verse number="21">«Даха а гӀой, сан дуьхьа а, исраилхошна а, яхӀудхошна а юкъара дийна бисинчеран дуьхьа а оцу карийначу тептар тӀехь долчух лаьцна Везачу Элах дагавалийта. Везачу Элан дералла вайна тӀехь чӀагӀъелла, хӀунда аьлча хӀокху тептаран дешнашка ладоьгӀна ца хилла вайн дайша. Вайх лаьцна цу тӀехь яздина мел хиллачуьнга хьаьжжина, ца лелла уьш».</verse>
				<verse number="22">Динан да Хьалкхи-ЯхӀу а, паччахьо дӀахьажийна болу кхиберш а Ярушалайман шолгӀачу декъахь Ӏаш йолчу а, шега Делера хаам хуьлуш йолчу а Хьулдатана тӀебахара. (Цуьнан майра вара Хьархьасан кӀентан Тикхавин кӀант волу Шалум, ткъа иза духарийн цӀенна тӀехь куьйгалхо вара.) Цара оцу гӀуллакхах лаьцна къамел дира цу зудчуьнца.</verse>
				<verse number="23">Хьулдата цаьрга элира: «ХӀара боху исраилхойн Везачу Дала: „Шаьш Суна тӀе хьажийначу стаге хӀара дӀаала:</verse>
				<verse number="24">‘Иштта боху Везачу Эло: ‹Аса бохам тӀебоуьйтур бу кху меттигна а, кхуьнан бахархошна а. Царна тӀехь кхочушхир ду яхӀудхойн паччахьна хьалха аша дешначу тептар тӀехь долу дерриге а неӀалташ›’.</verse>
				<verse number="25">Со дӀа а тесна, хаза хьожа йогӀу хӀума кхечу деланашна а ягийна, шаьш мел лелочу хӀуманца Со дар а веш, Сан оьгӀазло кху меттигна тӀехь, дӀайовр йоцу летта алу санна, хир ю.</verse>
				<verse number="26">Веза Эла волчу Сох дагавалийта аьлла, шаьш схьахьажийначу яхӀудхойн паччахье аша дӀаала: ‘Иштта боху исраилхойн Везачу Дала хьуна хезначу дешнех лаьцна:</verse>
				<verse number="27">‹Аса кху меттигна а, кхуьнан бахархошна а дуьхьал аьлла дешнаш хьайна дӀа а хезна, хьан дог кӀад а луш, ахьа Далла хьалха хьо лахварна а, хьайн тӀехулара бедар этӀа а йина, Суна хьалха лах а луш, хьо велхарна а, Суна а хьо дӀахезна, — боху Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="28">И бахьанехь хьо, синтемца дӀа а кхелхина, хьайн дайшна тӀевохуьйтур ву Аса, ткъа хьо хьайн къубби чохь дӀавуьллур ву. Хьан бӀаьргашна гур бац Ас кху меттигна тӀебоуьйтур болу и берриге а бохамаш›’“». Паччахьна тӀедаьхьира и жоп.</verse>
				<verse number="29">Юши-ЯхӀу-паччахьо ЯхӀуд-мехкан а, Ярушалайм-гӀалин а берриге а къаной схьагулбайтира.</verse>
				<verse number="30">Паччахь Везачу Элан цӀийнан керта вахара. Цуьнца цхьаьна цига дахара ЯхӀуд-мехкан дерриге а халкъ а, Ярушалайман берриге а бахархой а, динан дай а, левихой а, доллу халкъ а, уггаре ладам доцучу адамашкара дуьйна уггаре лараме долчу адамашна тӀе кхаччалц. ТӀаккха паччахьо Везачу Элан цӀенна уллохь карийначу Дала халкъаца бинчу бертан тептар тӀера дерриг а дешнаш дӀадийшира, уьш цигахь лаьтташ долчу массо а халкъана дӀа а хозуьйтуш.</verse>
				<verse number="31">БӀогӀамна юххе а хӀоьттина, паччахьо Везачу Элана хьалха Цуьнца бина болу барт карлабаьккхира — цо дош делира Везачу Элана тӀаьхьахӀотта а, шен доллучу даггара, доллучу синца Цуьнан весеташ а, бакъонаш а, парзаш а лардан а, оцу тептар тӀехь яздина долу бертан дешнаш кхочушдан а.</verse>
				<verse number="32">Шаьш и барт тӀеоьцуш паччахьо чӀагӀо яр тӀедиллира берриг а Ярушалаймерчу бахархошна а, бен-яманхошна а. Иштта, Ярушалайман бахархой шайн дайн Дела волчу Делаца бинчу барте хьаьжжина, лела буьйлабелира.</verse>
				<verse number="33">Исраилхойн долахь болчу берриге а махкара дегаза болу цӀуш дӀабехира Юши-ЯхӀус. Исраил-махкахь дехачу дерриге а халкъана тӀедиллира цо шайн Везачу Далла Ӏамалъяр. Юши-ЯхӀу-паччахь вехаш хиллачу массо а хенахь, шайн дайн Дела волчу Везачу Элана тӀаьхьахӀиттинчуьра дӀа ца бевлира уьш.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="35">
				<verse number="1">Ярушалайм-гӀалахь Везачу Элана лерина Пасахь олу дезде даздира Юши-ЯхӀус. Хьалхарчу беттан дейтталгӀачу дийнахь дезачу денна лерина сагӀина беанчу Ӏахарна урс хьаькхира.</verse>
				<verse number="2">Юши-ЯхӀус динан дай дӀахӀиттийра шайн-шайн гӀуллакх дечу меттигашка. Церан дегнаш иракарахӀиттадора цо Везачу Элан цӀийнаца доьзна долу гӀуллакхаш дарна.</verse>
				<verse number="3">Берриге а исраилхошна хьехамаш беш болчу а, Везачу Элана дӀакъастийна болчу а левихошка паччахьо элира: «Исраилхойн паччахь хиллачу Даудан кӀанта Сулима дӀахӀоттийначу Везачу Элан цӀа чохь охьахӀоттаде Делан деза тӀорказ. ХӀинца дуьйна иза дӀа а, схьа а лело дезар дац аша. ХӀинца дуьйна вайн Везачу Далла а, Цуьнан халкъ долчу Исраилан халкъана а гӀуллакх де аша.</verse>
				<verse number="4">Исраилхойн паччахь хиллачу Дауда а, цуьнан кӀанта Сулима а, яз а дина, дӀахӀоттийна ма-хиллара, шайн доьзалшца а, шайн тобанашкахь а дӀахӀитта.</verse>
				<verse number="5">Шайн къомах болчу гергарчийн доьзалшкара хӀорра а декъана гӀо дархьама, Делан цӀийнан кертахь левихойн доьзалех цхьацца тоба дӀахӀоттае.</verse>
				<verse number="6">Пасахьана лерина беанчу Ӏахарна урс хьакха кечам бе. ЦӀандаларца шаьш даз а дайтина, Везачу Эло Мусагахула аьлларг кхочуш а деш, и Ӏахар шайн вежаршна кечбе».</verse>
				<verse number="7">Цигахь хиллачу къомах болчу нахана жена юкъара ткъе итт эзар Ӏахаррий, буьхьиггий елира Юши-ЯхӀус, царах Пасахьан сагӀанаш дахархьама. Иштта кхо эзар сту а белира цо. И дерриг а дийнаташ паччахьан хьолан юкъара схьадеанера.</verse>
				<verse number="8">Паччахьан баьччанаша а шайн дегнийн лаамца халкъана а, динан дайшна а, левихошна а сагӀина хӀума деара. Делан цӀенна тӀехь куьйгалла деш хиллачу Хьалкхи-ЯхӀус, Закри-ЯхӀус, Яхьиала динан дайшка Пасахьан сагӀина ши эзар ялх бӀе Ӏахар белира. Кхин а кхо бӀе сту а белира цо.</verse>
				<verse number="9">Левихошна тӀехь куьйгалла деш волчу Ханан-ЯхӀус а, цуьнан вежарша ШамӀа-ЯхӀус а, Натунаила а, Хьашби-ЯхӀус а, иштта ЯӀиала а, Юзабдис а белира Пасахьан сагӀина лерина пхи эзар Ӏахар а, буьхьиг а. Иштта пхи бӀе сту а белира цара. Цара делларг левихошна лерина дара.</verse>
				<verse number="10">Иштта дӀахӀоттийнера и гӀуллакх дар. Динан дай шайн гӀуллакх дан дӀахӀиттира. Левихой а, паччахьо шайна тӀедиллина ма-хиллара, шайн тобанашкахь гӀуллакх дан дӀахӀиттира.</verse>
				<verse number="11">Пасахьана лерина болчу Ӏахаршна урс хьаькхира. Левихойн карара Ӏахарех даьлла цӀий, схьа а оьцуш, динан дайша церан цинцаш тухура. Ткъа левихоша тӀера цӀока схьайоккхура.</verse>
				<verse number="12">Дагоран сагӀа санна даха лерина долу дийнатийн дакъош дӀакъастийра левихоша, тӀаьхьо халкъан доьзалийн тобанаша уьш, Мусан тептар тӀехь яздина ма-хиллара, Везачу Элана сагӀина дахийтархьама. Изза дира цара стерчашца а.</verse>
				<verse number="13">Хьехамаша тӀедиллина ма-хиллара, Пасахьан Ӏахар цӀартӀехь беттира. Ткъа даздина долу сагӀина деанарг даккхий еш чохь, кхабанаш чохь, кедаш чохь, кхехка а деш, сихонца халкъана дӀадийкъира.</verse>
				<verse number="14">Цул тӀаьхьа шайна а, динан дайшна а кечдира цара сагӀина деанарг, хӀунда аьлча АхӀаронан тӀаьхьенах болу динан дай буьйсанна тӀаьххьалц Ӏийнера дагоран сагӀанаш а дохуш, кхечу сагӀанийн мохь а ягош. Цундела шайна а, АхӀаронан тӀаьхьенах болчу динан дайшна а кечъеш яра левихоша юург.</verse>
				<verse number="15">Дауда а, Асайпа а, ХӀаймана а, Дауд-паччахьна лерина Делера дерг гуш волчу Ядутун-пайхамаро а шайна тӀедиллина ма-хиллара, Асайпан тӀаьхьенах болу зурманчаш шайн гӀуллакх дан билгалъяьхначу меттигашка дӀахӀиттийра. Иштта хӀора кевнан гӀаролхо а вара шен-шен меттехь лаьтташ. Церан вежарий болчу левихоша кечйора царна оьшург, цундела уьш шаьш гӀуллакх деш болчуьра меттахбовла оьшуш дацара.</verse>
				<verse number="16">Иштта дӀахӀоттийнера цу дийнахь Везачу Элана лерина гӀуллакх дар. Иза дӀахӀоттийнера, Юши-ЯхӀу-паччахьо тӀедиллина ма-хиллара, Пасахьан сагӀа даккхар кхочушдархьама а, Везачу Элана лерина болчу кхерчана тӀехь дийнаташ дагоран сагӀа даккхархьама а.</verse>
				<verse number="17">Цу хенахь цигахь болчу исраилхоша Пасахьан дезде а даздира, ткъа цул тӀаьхьа ворхӀ дийнахь совсазчу баьпкан деза денош даздира цара.</verse>
				<verse number="18">Шамъал-пайхамар ваьхначу заманахь дуьйна схьа цу тайпана Пасахьан дезде даздина дацара. Юши-ЯхӀус а, динан дайша а, левихоша а, цигахь хиллачу яхӀудхоша а, исраилхоша а, Ярушалайман бахархоша а даздинчу тайпана, Пасахьан дезде исраилхойн паччахьех цхьаммо а даздина дацара.</verse>
				<verse number="19">Юши-ЯхӀус паччахьалла деш долу берхӀитталгӀа шо долуш даздинера и де.</verse>
				<verse number="20">Цул тӀаьхьа, Юши-ЯхӀус Делан цӀийнаца долу низам дӀахӀоттийначул тӀаьхьа, мисархойн паччахь Наху Эпрат-хин йистерачу КӀаркамиш-гӀалина уллохь тӀом бан вахара. Ткъа Юши-ЯхӀу цунна дуьхьал тӀом бан аравелира.</verse>
				<verse number="21">Нахус Юши-ЯхӀуна тӀе геланчаш бахийтира цуьнга иштта дӀаала аьлла: «Суна а, хьуна а хӀун ду иза, яхӀудхойн паччахь? ХӀинца со хьуна дуьхьал тӀом бан вогӀуш вац, ткъа соьца тӀом латтош йолчу пачхьалкхе вогӀуш ву. Дала, сихо е аьлла, тӀедиллина суна. Соьца волчу Далла дуьхьало ма е, хьо Цуьнга ца вейтархьама».</verse>
				<verse number="22">Амма Юши-ЯхӀус, иза волчуьра дӀаваха дагахь а воцуш, шен духарш хийцарца ша мила ву къайладаьккхира, цунна дуьхьал тӀом бархьама. Делан омрица Нахус аьллачу дешнашка ла а ца дугӀуш, Юши-ЯхӀу МагӀидда олучу аренга веара тӀом бан дагахь.</verse>
				<verse number="23">Мисархоша Юши-ЯхӀу-паччахьна тӀе пхерчий кхиссира. ТӀаккха Паччахьо шен хьаькамашка элира: «ДӀавигалаш со кхузара, хӀунда аьлча суна чӀогӀа чов хилла».</verse>
				<verse number="24">ГӀудалкх чуьра схьа а ваьккхина, цуьнан долахь йолчу кхечу гӀудалкхана чу виллира цара Юши-ЯхӀу. Иза Ярушалайме дӀавигира. Цигахь Юши-ЯхӀу велира, иза шен дайн къуббанашкахь дӀавоьллира. ЯхӀуд-мехкан а, Ярушалайм-гӀалин а дерриг а халкъо белхар хӀоттийнера Юши-ЯхӀуна.</verse>
				<verse number="25">Ярми-ЯхӀу-пайхамаро тийжамаш дӀаязбира Юши-ЯхӀуна лерина. Назманаш олучу наха а, зударша а тахханалц а долчу шайн тийжарийн назманашкахь Юши-ЯхӀух лаьцна олу. И назманаш Исраил-махкахь ламасташ юкъа дахийтира. Уьш Тийжамийн тептарна юкъа яхийтина ю.</verse>
				<verse number="26">Юши-ЯхӀус динчу кхидолчу хӀуманех лаьцна — Везачу Элан товрат-хьехамаш кхочушдарна тешаме хиларца доьзна цо динчу гӀуллакхех лаьцна,</verse>
				<verse number="27">дуьххьарлерчу гӀуллакхна тӀера тӀаьхьарчунна тӀекхаччалц — яздина ду ЯхӀудхойн а, исраилхойн а паччахьийн тептар тӀехь.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="36">
				<verse number="1">ЯхӀуд-мехкан халкъо Юши-ЯхӀун кӀант ЯхӀу-Ахьаз, схьа а эцна, Ярушалаймехь шен ден метта паччахь вина дӀахӀоттийра.</verse>
				<verse number="2">ЯхӀу-Ахьазан ткъе кхо шо дара, иза паччахь хилла дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо кхаа баттахь паччахьалла дира.</verse>
				<verse number="3">Ярушалаймехь паччахьалла дечуьра ЯхӀу-Ахьаз дӀаваьккхира мисархойн паччахьо. Наху-пирӀуно гӀуда далар тӀедожийра ЯхӀуд-махкана. Иза дара ши бӀе пунт дети а, ши пунт деши а.</verse>
				<verse number="4">ТӀаккха ЯхӀу-Ахьазан ваша Элъякъим ЯхӀуд-махкахь а, Ярушалаймехь а паччахь вина дӀахӀоттийра. Ткъа Элъякъиман цӀе пирӀуно хийцира, цунах ЯхӀу-Якхам а олуш. Амма Элъякъим, дӀа а лаьцна, Мисар-махка дӀавигира Нахус.</verse>
				<verse number="5">ЯхӀу-Якхаман ткъе пхи шо дара, иза паччахь дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо цхьайтта шарахь паччахьалла дира. Шен Везачу Далла зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора цо.</verse>
				<verse number="6">Набухди-Нецар-паччахьо, цунна тӀе а летта, иза схьа а лаьцна, цӀастанан буржалш туьйхира цунна, иза Бавел-гӀала дӀавигархьама.</verse>
				<verse number="7">Везачу Элан цӀа чуьра пхьегӀийн цхьа дакъа цо Бавел-гӀала дӀадаьхьира. Набухди-Нецара шен динан цӀа чу охьаехкира уьш.</verse>
				<verse number="8">ЯхӀу-Якхама динчу кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — дегаза долчу хӀуманех а, цунна дуьхьал даккха мел карийначу гӀуллакхех а лаьцна — яздина ду Исраилхойн а, яхӀудхойн а паччахьийн тептар тӀехь. ЯхӀу-Якхаман метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант ЯхӀу-Яхин.</verse>
				<verse number="9">ЯхӀу-Яхинан берхӀитта шо кхаьчнера, иза паччахь дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо кхаа баттаххьий, итт дийнаххьий паччахьалла дира. Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора ЯхӀу-Яхина.</verse>
				<verse number="10">Керла шо долалуш, Набухди-Нецар-паччахьо геланчаш бахийтира, ЯхӀу-Яхин дӀа а лаций, цуьнца цхьаьна Везачу Элан цӀа чуьра еза пхьегӀаш а яхьаш, иза Бавел-гӀала дӀавалаве аьлла, омра а дина. ЯхӀуд-махкахь а, Ярушалаймехь а паччахь вина дӀахӀоттийра цо ЯхӀу-Яхин гергара волу ЦӀадукъ-ЯхӀу.</verse>
				<verse number="11">ЦӀадукъ-ЯхӀун ткъе цхьа шо дара, иза паччахь хилла дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цхьайтта шарахь паччахьалла дира цо.</verse>
				<verse number="12">ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахьо шен Везачу Далла зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. Везачу Элера долу дош схьаолуш волу Ярми-ЯхӀу-пайхамар шена уллохь а волуш, Далла хьалха ша лахвар ца лиира ЦӀадукъ-ЯхӀуна.</verse>
				<verse number="13">Делан цӀарах цунна тешаме хир ву аьлла, ша биъна дуй къар а беш, Набухди-Нецар-паччахьна дуьхьал велира ЦӀадукъ-ЯхӀу. Вухахьа а ваьлла, дог чӀагӀ а дина, цунна ца лиира Исраилан халкъан Везачу Делехьа юхаверза.</verse>
				<verse number="14">Цул сов, динан дайшна а, халкъана а тӀехь куьйгалла деш болчу массара а Далла тешаме боцуш шайн лелар алсамдаьккхира. Кхечу къаьмнех болчу наха лелош хилла дегаза гӀуллакхаш цара а леладора. Ткъа Везачу Эло Ярушалайм-гӀалахь даздина долу Цуьнан цӀа сийсаз а дора цара.</verse>
				<verse number="15">Шен халкъах а, Шен хӀусамах а Шена къахета Дела, церан дайн Дела волчу Везачу Эло юх-юха Шен геланчаш бохуьйтура царна тӀе.</verse>
				<verse number="16">Амма, Делан дешнех а ца бешаш, Цуьнан пайхамарех а кхаьрдаш, цара Дала бахкийтинарш юьхьӀаьржачу хӀиттабора, Шен халкъана дуьхьал йолу Делан дералла юха ца ерззал чӀогӀа алсам а йоккхуш.</verse>
				<verse number="17">Везачу Эло хашадхойн паччахь яхӀудхошна дуьхьал ваьккхира. Ткъа цу паччахьо церан Везачу Элан цӀа чохь церан кегийнаш туьраца байира. Иштта я кегийнаш, я йоӀарий, я воккханиг, я къоьжаниг ца вуьтуш — уьш берриш а дӀабелира Дала Набухди-Нецар-паччахьан кара.</verse>
				<verse number="18">Делан цӀа чуьра яккхий а, кегий а ерриге а пхьегӀаш а, Везачу Элан цӀийнан хазни чуьра а, паччахьан а, цуьнан баьччанийн а хазнаш чуьра а дерриг хӀума а Бавел-гӀала дӀадахьийтира цо.</verse>
				<verse number="19">Хашадхоша Делан цӀа дагийра, гӀалин гонахара пен а охьабожийра. ГӀалахь мел долу паччахьан цӀа а дагийра, царна чохь деза мел долу хӀума а хӀаллакдира цара.</verse>
				<verse number="20">Туьрах беллачарна юкъара дийна бисинарш Бавел-махка йийсаре дӀабигира. Ткъа парсихойн пачхьалкх дӀахӀотталц йолчу ханна царах паччахьан а, цуьнан тӀаьхьенан а леш хилира.</verse>
				<verse number="21">И дерриг а иштта хилира, Ярми-ЯхӀугахула Везачу Эло аьлла дешнаш кхочушхилийтархьама. Лаьтте садоӀуьйту шераш ца даздарна шена дина долу зен лаьтто такхийтира, ерриг а ша дассийна Ӏиллинчу ханна са а доӀуш, кхузткъе итт шо дуззалц.</verse>
				<verse number="22">Парсихойн паччахь волчу Къуреша паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь, Ша Ярми-ЯхӀугахула ваӀда динарг кхочушдархьама, Везачу Эло Къурешан са карзахдаьккхира цхьа сацам дӀаязбан а, ткъа и сацам ерриг а цуьнан пачхьалкхехула дӀасакхайкхабайта а:</verse>
				<verse number="23">«Иштта боху парсихойн паччахь волчу Къуреша: стигалийн Дела волчу Везачу Эло дуьненан ерриг а пачхьалкхаш схьаелира суна, ткъа Цо тӀедиллина суна, ЯхӀуд-махкахь йолчу Ярушалаймехь Шена цӀа де аьлла. Шуна юкъахь Везачу Элан халкъах мел болчаьрга Аса боху: шун Дела шуьца а хуьлийла, шу Ярушалайме а гӀойла».</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="15">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">Парсихойн паччахь волчу Къуреша паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь, Ша Ярми-ЯхӀугахула ваӀда динарг кхочушдархьама, Везачу Эло Къурешан са карзахдаьккхира цхьа сацам дӀаязбан а, ткъа и сацам дерриг а цуьнан пачхьалкхехула дӀасакхайкхабайта а:</verse>
				<verse number="2">«Иштта боху парсихойн паччахь волчу Къуреша: стигалийн Дела волчу Везачу Эло дуьненан ерриг а пачхьалкхаш схьаелира суна, ткъа Цо тӀедиллина суна, ЯхӀуд-махкахь йолчу Ярушалаймехь Шена цӀа де аьлла.</verse>
				<verse number="3">Веза Эла — Исраилан Дела ву, Ярушалаймехь волу Дела ву. Шуна юкъахь Везачу Элан халкъах мел болчаьрга аса боху: шун Дела шуьца а хуьлийла, шу ЯхӀуд-махкарчу Ярушалайме а гӀойла, аша Везачу Элан цӀа а дойла.</verse>
				<verse number="4">Дийна бисина болу исраилхой болчу меттигашкарчу бахархоша гӀо дан деза цу нахана. Царна дети а, деши а, бахам а, кира лело даьхни а, шайн лаамца делла совгӀаташ а ло, Ярушалаймехь долчу Делан цӀенна лерина долу».</verse>
				<verse number="5">ХьалагӀевттира Ярушалайме баха кийча болу ЯхӀудан а, Бен-Яманан а тайпанийн тхьамданаш а, динан дай а, левихой а. Царах волу хӀора стаг а Ярушалайме Везачу Элана цӀа дан воьдуш вара. Иштта Дала шена чохь и лаам кхоьллина волу массо стаг цига ваха кечвеллера.</verse>
				<verse number="6">Массо а лулахоша шайн лаамца гӀо дора царна совгӀаташца. Цара детин пхьегӀашца а, дешица а, бахамца а, кира лелочу даьхница а, шайн лаамехь деллачу совгӀаташца а гӀо дора царна.</verse>
				<verse number="7">Къуреш-паччахьо Везачу Элан массо а хӀума арадаьккхира, Набухди-Нецара, Ярушалаймера ара а даьккхина, шен харцделанийн цӀа чу охьадиллина долу.</verse>
				<verse number="8">Парсихойн паччахь волчу Къуреша шен хазна карахь йолчу Митрудатина тӀедиллира и хӀуманаш цигара араяхар. Митрудатис уьш ЯхӀудан эла волчу Шишбацаран кара дӀаелира.</verse>
				<verse number="9">Цигара араяьхна йолу хӀуманаш хӀорш ю: дешин бошхепаш — ткъе итт; детин бошхепаш — цхьа эзар; арсаш — ткъе исс;</verse>
				<verse number="10">дешин кедаш — ткъе итт; кхидолу детин кедаш — биъ бӀе итт; кхидолу кедаш — цхьа эзар.</verse>
				<verse number="11">Ерриг а цигахь хилларг пхи эзар йиъ бӀе детиххий, дешиххий йина пхьегӀа яра. Шишбацара и хӀуманаш йийсархой Бавелера Ярушалайме юхабоьлхуш шеца дӀаяьхьира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">ХӀорш бу цу мехкан массо а маьӀӀера болу йийсарера юхабаьхкина болу нах. Бавеларчу паччахьо Набухди-Нецара уьш Бавеле йийсаре дӀабигна хилла, ткъа хӀинца Ярушалайме а, ЯхӀуд-махка а хӀора стаг шен-шен гӀала юхавирзина.</verse>
				<verse number="2">Оцу нехан куьйгалхой бара: Зурбабел, ЮшаӀ, Нахьми-ЯхӀу, Сари-ЯхӀу, РаӀал-ЯхӀу, Мардахай, Билшан, Миспар, БигӀвай, Рахьим, БаӀна. ХӀорш ю юхабаьхкинчу исраилхойн цӀераш:</verse>
				<verse number="3">ПарӀушан тӀаьхьенах берш — ши эзар цхьа бӀе кхузткъе шийтта стаг (2172);</verse>
				<verse number="4">Шапат-ЯхӀун тӀаьхьенах берш — кхо бӀе кхузткъе шийтта стаг (372);</verse>
				<verse number="5">Арахьин тӀаьхьенах берш — ворхӀ бӀе кхузткъе пхийтта стаг (775);</verse>
				<verse number="6">Пахьат-Муабин тӀаьхьенах болчу ЮшаӀан а, Йоабан а доьзалшкара — ши эзар бархӀ бӀе шийтта стаг (2812);</verse>
				<verse number="7">Ӏейламан тӀаьхьенах берш — цхьа эзар ши бӀе шовзткъе вейтта стаг (1254);</verse>
				<verse number="8">Затун тӀаьхьенах берш — исс бӀе шовзткъе пхи стаг (945);</verse>
				<verse number="9">Закайн тӀаьхьенах берш — ворхӀ бӀе кхузткъа стаг (760);</verse>
				<verse number="10">Банин тӀаьхьенах берш — ялх бӀе шовзткъе ши стаг (642);</verse>
				<verse number="11">Бебайн тӀаьхьенах берш — ялх бӀе ткъе кхо стаг (623);</verse>
				<verse number="12">ӀазгӀадин тӀаьхьенах берш — цхьа эзар ши бӀе ткъе ши стаг (1222);</verse>
				<verse number="13">Адуникхаман тӀаьхьенах берш — ялх бӀе кхузткъе ялх стаг (666);</verse>
				<verse number="14">БигӀвайн тӀаьхьенах берш — ши эзар шовзткъе ялхитта стаг (2056);</verse>
				<verse number="15">Ӏадин тӀаьхьенах берш — виъ бӀе шовзткъе вейтта стаг (454);</verse>
				<verse number="16">Атари аьлла, кхин цӀе йолуш волчу Хьузакх-ЯхӀун доьзалера — везткъе берхӀитта стаг (98);</verse>
				<verse number="17">Бецайн тӀаьхьенах берш — кхо бӀе ткъе кхо стаг (323);</verse>
				<verse number="18">Йоврин тӀаьхьенах берш — цхьа бӀе шийтта стаг (112);</verse>
				<verse number="19">Хьашуман тӀаьхьенах берш — ши бӀе ткъе кхо стаг (223);</verse>
				<verse number="20">Гибарин тӀаьхьенах берш — везткъе пхийтта стаг (95);</verse>
				<verse number="21">Байтлахам-гӀалин бахархойн тӀаьхьенах берш — цхьа бӀе ткъе кхо стаг (123);</verse>
				<verse number="22">НатӀупат-гӀалин бахархойн тӀаьхьенах берш — шовзткъе ялхитта стаг (56);</verse>
				<verse number="23">Ӏанатот-гӀалин бахархойн тӀаьхьенах берш — цхьа бӀе ткъе бархӀ стаг (128);</verse>
				<verse number="24">Ӏазмават-гӀалин бахархойн тӀаьхьенах берш — шовзткъе ши стаг (42);</verse>
				<verse number="25">Кхиръят-ЯӀариман, Капира-гӀалин, Баировтан бахархойн тӀаьхьенах берш — ворхӀ бӀе шовзткъе кхо стаг (743);</verse>
				<verse number="26">Рамера а, ГибаӀ-гӀалин а бахархойн тӀаьхьенах берш — ялх бӀе ткъе цхьа стаг (621);</verse>
				<verse number="27">Михмасан бахархойн тӀаьхьенах берш — цхьа бӀе ткъе ши стаг (122);</verse>
				<verse number="28">Бетал-гӀалин а, ГӀай-гӀалин а бахархойн тӀаьхьенах берш — ши бӀе ткъе кхо стаг (223);</verse>
				<verse number="29">Набу-гӀалин бахархойн тӀаьхьенах берш — шовзткъе шийтта стаг (52);</verse>
				<verse number="30">МагӀбиш-гӀалин бахархойн тӀаьхьенах берш — цхьа бӀе шовзткъе ялхитта стаг (156);</verse>
				<verse number="31">Ӏейлам-гӀала цӀе йолчу вукху гӀалара бахархойн тӀаьхьенах берш — цхьа эзар ши бӀе шовзткъе вейтта стаг (1254);</verse>
				<verse number="32">Хьарми-гӀалара бахархойн тӀаьхьенах берш — кхо бӀе ткъа стаг (320);</verse>
				<verse number="33">Лодди-юьртара а, Хьадидара а, Овну-гӀалара а бахархойн тӀаьхьенах берш — ворхӀ бӀе ткъе пхи стаг (725);</verse>
				<verse number="34">Ерихонера бахархойн тӀаьхьенах берш — кхо бӀе шовзткъе пхи стаг (345);</verse>
				<verse number="35">Саниара бахархойн тӀаьхьенах берш — кхо эзар ялх бӀе ткъе итт стаг (3630).</verse>
				<verse number="36">Динан дай: Яди-ЯхӀун тӀаьхьенах волчу ЮшаӀан доьзалера — исс бӀе кхузткъе кхойтта стаг (973);</verse>
				<verse number="37">Амиран тӀаьхьенах берш — цхьа эзар шовзткъе шийтта стаг (1052);</verse>
				<verse number="38">Пашихьуран тӀаьхьенах берш — цхьа эзар ши бӀе шовзткъе ворхӀ стаг (1247);</verse>
				<verse number="39">Хьармин тӀаьхьенах берш — цхьа эзар вуьрхӀитта стаг (1017).</verse>
				<verse number="40">Левихойн тайпанах болу нах: ЮшаӀан а, Кхадмиалан а тӀаьхьенах болчу ХӀудав-ЯхӀун доьзалера — кхузткъе вейтта стаг (74).</verse>
				<verse number="41">Илланчаш: Асайпан тӀаьхьенах берш — цхьа бӀе ткъе бархӀ стаг (128).</verse>
				<verse number="42">Делан цӀийнан кевнерачу гӀаролхойн тӀаьхьенах берш: Шалуман а, Атарин а, ТӀулманан а, Ӏакхубин а, Хьататин а, Шубайн а тӀаьхьенах берш — цхьа бӀе ткъе ткъайоьсна стаг (139).</verse>
				<verse number="43">Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болчу ялхойн тӀаьхьенах берш: Цихьин а, Хьашупин а, ТабуӀатин а,</verse>
				<verse number="44">Кхейрусан а, СияӀан а, Падунан а,</verse>
				<verse number="45">Либанин а, ХьагӀабин а, Ӏакхубин а,</verse>
				<verse number="46">ХьагӀибан а, Шалмайн а, Хьананан а,</verse>
				<verse number="47">Гидалан а, Гахьарин а, Раи-ЯхӀун а,</verse>
				<verse number="48">Рицанан а, Накхудин а, Газамин а,</verse>
				<verse number="49">Ӏузин а, Писухьан а, Бесайн а,</verse>
				<verse number="50">Аснин а, МуӀаниман а, Напусиман а,</verse>
				<verse number="51">Бакхбукъан а, Хьакъупин а, Хьархьуран а,</verse>
				<verse number="52">Бацлутин а, Махьдин а, Хьарашин а,</verse>
				<verse number="53">Баркусин а, Сисрин а, Тамухьан а,</verse>
				<verse number="54">Нацухьан а, Хьатапин а тӀаьхьенех берш.</verse>
				<verse number="55">Сулим-паччахьан ялхой хиллачеран тӀаьхьенех берш: Сутайн а, Супартин а, Парудин а,</verse>
				<verse number="56">ЯӀлин а, Даркхунин а, Гидалан а,</verse>
				<verse number="57">Шапат-ЯхӀун а, Хьатилан а, Пукрати-ХӀацубайман а, Амун а тӀаьхьенех берш.</verse>
				<verse number="58">Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болчу ялхойн а, Сулим-паччахьан ялхойн а тӀаьхьенах берш а верриг а кхо бӀе везткъе шийтта (392) стаг вара.</verse>
				<verse number="59">Цхьаболу нах Ярушалайме Тал-Маликера а, Тал-Хьаршара а, Каруб-гӀалара а, Аддан-гӀалара а, Амир-гӀалара а баьхкинера. Амма цу нехан аьтто бацара, шаьш Исраилан халкъах схьадевлла ду аьлла, шайна гонах берш тешо:</verse>
				<verse number="60">Дали-ЯхӀун а, ТӀуби-ЯхӀун а, Накхудин а тӀаьхьенах берш — ялх бӀе шовзткъе шийтта стаг вара (652).</verse>
				<verse number="61">Динан дайн доьзалшкара цигахь бара: Хьаби-ЯхӀун а, Къоцин а, Барзалайн а тӀаьхьенех берш. (И тӀаьхьарниг, Барзалай аьлла цӀе тиллина вара, хӀунда аьлча ГалӀадарчу Барзалайн йоӀ ялийнера цо, ткъа цул тӀаьхьа цо и цӀе шениг санна лорура.)</verse>
				<verse number="62">И нах доьзалийн тептарш тӀехь шайн цӀераш лоьхуш бара, амма царна уьш ца карайора. Цундела уьш динан дай санна тӀе ца ийцира.</verse>
				<verse number="63">ЯхӀудан мехкадас цкъачунна Далла сагӀина баьккхина беза кхача баар ца магийнера царна, коьрта динан да, схьа а веана, Урим а, Тумим а олучу дезачу тӀулгех Деле хӀун дан деза аьлла хатталц.</verse>
				<verse number="64">Массо а йийсарера юхайирзинчу тобанна юкъахь шовзткъе ши эзар кхо бӀе кхузткъа стаг вара,</verse>
				<verse number="65">царна юкъара леш ца лерича. Ткъа уьш ворхӀ эзар кхо бӀе ткъе вуьрхӀитта лай а, гӀарбаш а яра. Кхин а цаьрца зударех а, божарех а волу ши бӀе илланча а вара.</verse>
				<verse number="66">Цаьргахь ворхӀ бӀе ткъе ялхитта говр а, ши бӀе шовзткъе пхиъ говр-бӀарза а,</verse>
				<verse number="67">йиъ бӀе ткъе пхийтта эмкал а, ялх эзар ворхӀ бӀе ткъа вир а яра.</verse>
				<verse number="68">И тоба Ярушалаймехь долчу Везачу Элан цӀа долчу дӀакхаьчча, доьзалийн дайх цхьаболчара шайн лаамца совгӀаташ делира, хиллачу меттигехь Везачу Элан цӀа карладаккхархьама.</verse>
				<verse number="69">Цу наха хазни чу шайга далуш долу совгӀаташ дира. Цара кхузткъе цхьа эзар хиллал долу дарик олу деши ахча а, пхи эзар мин дети ахча а, цхьа бӀе динан дайша лелош йолу бедарш а елира.</verse>
				<verse number="70">Иштта динан дай а, левихой а, кхиболу нах а шайн-шайн гӀаланашкахь баха охьахевшира. Царна юкъахь бара илланчаш а, Делан цӀийнан кевнера гӀаролхой а, Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болу ялхой а. Ткъа Исраилан важа долу халкъ шайн-шайн гӀаланашкахь даха охьахиира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">Шеран ворхӀалгӀа бутт тӀекхаьчча, Исраилан халкъ шайн гӀаланашкахь даха охьахиинера. Уьш массо а Ярушалаймехь цхьаъ хилла вовшахкхийтира.</verse>
				<verse number="2">Динан дай болчу шен гергарчаьрца цхьаьна динан ден ЮцӀдукъан кӀанта ЮшаӀа а, шен гергарчаьрца цхьаьна Шалтаалан кӀанта Зурбабела а Исраилан Далла сагӀа доккху кхерч бира, цунна тӀехь дийнаташ дагоран сагӀанаш дахархьама. Цара и кхерч Делан стаг волчу Мусан товрат-хьехамашна тӀехь тӀе-ма-диллара бина дӀахӀоттийра.</verse>
				<verse number="3">Шайна гонах долчу къаьмнех уьш кхоьруш хиллехь а, цара и кхерч хьалха хиллачу метте дӀахӀоттийра. Цул тӀаьхьа Ӏуьйранна а, суьйранна а Везачу Элана лерина долу дийнаташ дагоран сагӀанаш даха хӀиттира уьш.</verse>
				<verse number="4">Цул тӀаьхьа, товрат-хьехамашна тӀехь ма-хиллара, кхалорийн деза денош дӀахӀиттийра цара. ХӀора денна лерина долу дийнаташ дагоран сагӀанаш дехира цара.</verse>
				<verse number="5">Цул тӀаьхьа хӀора дийнахь доху дийнаташ дагоран сагӀанаш а, бутт цӀинлучу хенахь доху сагӀанаш а, кхидолу Везачу Элана лерина долу деза денош билгалдохучу хенахь доху сагӀанаш а, шайн лаамца доху сагӀанаш а даха хӀиттира уьш.</verse>
				<verse number="6">Иштта шеран ворхӀалгӀачу беттан хьалхарчу деношкахь исраилхоша юха а дийнаташ дагоран сагӀанаш даха долийра, Делан цӀийнан бух хӀинца а бина бацахь а.</verse>
				<verse number="7">Цул тӀаьхьа йийсарера юхабирзинчара тӀулг боккхуш болчарна а, дечиг-пхьерашна а ахча лора, ткъа цӀаданхошний, цорахошний даа-мала а, зайтдаьтта а лора, цаьрга хӀорда тӀехула Ливанунера Яппе кхаччалц баганан дитташ дӀадахьийта. Парсихойн паччахь волчу Къуреша царна цу тӀехь пурба деллера.</verse>
				<verse number="8">Ярушалаймехь лаьттачу Делан цӀа долчу шаьш схьадаьхкина шолгӀачу шеран шолгӀачу баттахь Шалтаалан кӀанта Зурбабела а, ЮцӀдукъан кӀанта ЮшаӀа а болх дӀаболийра. Цаьрца бара церан гергарнаш: динан дай а, левихой а, йийсарера Ярушалайме юхабирзина болу берриг нах а. Цара шайна юкъара ткъа шарал хан тӀехъяьлла болу левихой хаьржира Делан цӀа дечу белхалошна тӀехь куьйгалла латтадайта.</verse>
				<verse number="9">ЮшаӀ а, цуьнан вежарий а, кӀентий а, иштта Кхадмиал а, цуьнан кӀентий а (уьш ХӀудав-ЯхӀух схьабевллера) бара Делан цӀенна тӀехь беш болчу балхана тӀехь куьйгалла деш. Иштта цаьрца бара левихой болу Хьенидадан кӀентий а, церан вежарий а, кӀентий а.</verse>
				<verse number="10">ГӀишлоярхой Делан цӀийнан бух боьттина бевлира. ТӀаккха динан дайша, шайн духарш тӀе а дуьйхина, турбанаш каралецира, ткъа левихо волчу Асайпин кӀенташа схьаийцира шинна а куьйгаца вовшахдетташ долу цӀестан жима негӀарш. Цара массара а шайн-шайн меттигаш дӀалецира Везачу Элана хастамаш бан. И хӀума цара Исраилан паччахь хилла волчу Даудан весетаца дира.</verse>
				<verse number="11">Хастамаш а беш, баркаллаш а бохуш, цара, кар-кара а оьцуш, Везачу Элана леринчу иллешкахь дӀаолура: «Веза Эла ма дика ву, массо а ханна бу Исраилан халкъе болу Цуьнан хедар боцу безам». Дерриг а халкъо хазахетарца мохь беттара, Везачу Элана хастамаш а беш, хӀунда аьлча Делан цӀийнан бух боьттина баьллера.</verse>
				<verse number="12">Амма хан яьлла а, хьалха кхузахь хилла долу Делан цӀа гина а дукхахболу динан дай а, левихой а, тайпанийн тхьамданаш а, керлачу Делан цӀийнан бух боьттина шайна гича, мохь а бетташ, боьлхуш бара. Ткъа вукхарах дукхахболчара хазахетарца маьхьарий деттара.</verse>
				<verse number="13">Царна юкъахь къасталуш дацара боьлхуш болчеран а, хазахетарца маьхьарий детташ болчеран а аьзнаш, хӀунда аьлча геннара схьахезаш дара церан аьзнаш.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">ЯхӀудхойн а, бен-яманхойн а мостагӀашна дӀахезира, йийсарера юхабирзинарш Исраилан халкъан Везачу Далла цӀа деш бу аьлла.</verse>
				<verse number="2">Зурбабелана а, тайпанийн хьалхарчу нахана а тӀе а баьхкина, цара элира: «Тхоьга а шайца цхьаьна болх байта, хӀунда аьлча тхо а ду шун Далла Ӏамал еш. Ашурхойн паччахь волчу Эсар-Хьадуна тхо кхуза далийча дуьйна схьа, тхо Цунна лерина долу сагӀанаш дохуш ду».</verse>
				<verse number="3">Амма Зурбабела а, ЮшаӀа а, тайпанийн хьалхарчу нахах кхиболчара а цаьрга элира: «ХӀан-хӀа, аша бийр бац тхоьца Делан цӀа деш болх. Оха тхаьш дийр ду Исраилан халкъан Везачу Далла цӀа, парсихойн паччахь волчу Къуреша тхайна тӀе-ма-диллара».</verse>
				<verse number="4">ТӀаккха оцу махкахь Ӏаш хиллачу нахана яхӀудхой бохо а, къахко а дагадеара, цаьрга Делан цӀа кхин дӀа ца дайтархьама.</verse>
				<verse number="5">Цара хьехамчаш лецира, уьш яхӀудхошна дуьхьалбахархьама. И хӀума парсихойн паччахь волчу Къурешан паччахьалла мел ду лаьттира, цуьнан метта Дари-Ваша паччахь дӀахӀотталц.</verse>
				<verse number="6">Ахьаш-Варуш Парси-махкахь паччахьалле веанчу хенахь, яхӀудхойн мостагӀаша Ярушалайман а, ЯхӀудан а бахархой бехкебеш кехат яздира.</verse>
				<verse number="7">Артахь-Шашта Парси-махкахь паччахь хилла дӀахӀоьттинчу хенахь, царах цхьаболчу наха юха а яхӀудхой бехке беш кехат яздира. И кехат яздинарш бара: Бишулам, Митрудати, Табиал, иштта кхиберш а. Цара кехат Артахь-Шаште арамхойн маттахь а, арамхойн йозанца а яздинера.</verse>
				<verse number="8">ТӀаккха мехкада волчу Рахьима а, йозанча волчу Шимшайс а Ярушалаймехь дехаш долчу халкъана дуьхьал кехат яздира. Шаьш иштта довзийтира цара Артахь-Шашта-паччахьна:</verse>
				<verse number="9">«Кехат дӀаяздина дара мехкада волчу Рахьимера а, йозанча волчу Шимшайгара а, цаьрца цхьаьна куьйгалла деш долчу кхелахошкара а, куьйгалхошкара а. Ткъа уьш бу Тарпал-махкара а, Эрахь-махкара а, Парси-махкара а, Бавел-махкара а, Ӏейлам-махкахь йолчу Шушан-гӀалара а.</verse>
				<verse number="10">Цаьрца цхьаьна дӀаяздора кхиболчара а, веза, сийлахь волчу Оснапарис Шамран-махка а, Эпрат-хина малхбузехьа долчу латтанашка дӀабигна болчу».</verse>
				<verse number="11">ХӀара бу цара Артахь-Шашта-паччахье дахьийтина долчу кехатан чулацам: «Паччахь волчу Артахь-Шаште — Эпрат-хин малхбузехьа йолчу агӀонгахь бехаш болчу хьан ялхошкара.</verse>
				<verse number="12">Паччахьна дӀахоийла лаьа тхуна, хьо волчуьра арабевлла болу яхӀудхой, тхо долчу юха а бирзина, Ярушалайме бахана хилар. Уьш и аьрха а, вон а гӀала юхаметтахӀотто гӀерташ бу. Цара хӀинцале а бух а боьттина, пенаш тодеш а бу уьш.</verse>
				<verse number="13">Нагахь санна и гӀала юхаметта а хӀоттийна, цуьнан пенаш а дина уьш бовлахь, цара я ясакх а токхур яц, я ерриг а ял а лур яц. Иза бахьана долуш паччахьан хазнина доккха зен хир ду.</verse>
				<verse number="14">Иштта, паччахьан цӀен тӀера алапаш тхуна луш долу дела, тхоьга ца лало паччахьна зен хилар, цундела оха хаам беш хӀара кехат яздо хьоьга.</verse>
				<verse number="15">Паччахь Артахь-Шашта, хьайл хьалха паччахьаллехь хиллачара дӀаяздайтинчу тептарш тӀе хьажийтахьара ахьа. Цигахь карор ду хьуна Ярушалайм аьрха гӀала хиларан тоьшалла. И хӀума бахьана долуш дукхахболчу паччахьашна а, мехкашна а даккхий зенаш хилла. Тоххара дуьйна цу гӀалахь гӀаттамаш хилла. Цундела иза йоха а йина.</verse>
				<verse number="16">Цундела оха паччахье хаам бо: нагахь санна, цу гӀалин пенаш хьала а доьттина, иза юхадӀахӀоттаяхь, Эпрат-хил дехьа хьан долахь латтанаш хир дац».</verse>
				<verse number="17">Артахь-Шашта-паччахьо цу кехатна дуьхьал, жоп луш, кехат дахьийтира: «Мехкада волчу Рахьиме а, йозанца болх беш волчу Шимшайга а, иштта массо а Шамран-гӀалахь а, кхечу Эпрат-хин малхбузехьа йолчу агӀонгахь цаьрца цхьаьна куьйгалла деш болчаьрга а. Маршаллаш ду шуьга, иштта кхин дерриш диканаш а.</verse>
				<verse number="18">Аша даийтина долу кехат, гоч а дина, суна дӀадешна.</verse>
				<verse number="19">Аса омра дина, сол хьалха паччахьаллехь хиллачара дӀаяздайтина долчу тептарш тӀехь дерг схьалаха аьлла. Билгалдаьллера Ярушалайм дукха хенахь дуьйна паччахьашна дуьхьал лаьттина хилар. Ярушалаймехь дукхазза а гӀаттамаш хилла.</verse>
				<verse number="20">Ярушалаймехь чӀогӀа нуьцкъала паччахьаш хилла. Цара шаьш паччахьаллехь болчу хенахь цу гӀалахь а, Эпрат-хина малхбузехьа йолчу агӀонгахь мел долчу латтанаш тӀехь а куьйгалла дина, цу нахе ясакх токхуьйтуш а хилла, цаьргара ял схьагулъеш а хилла.</verse>
				<verse number="21">Ткъа аша хӀинца цу нахана тӀедилла деза, Ярушалайм юхаметтахӀоттош шаьш болийна болу белхаш аса шайна пурба даллалц совцабе аьлла.</verse>
				<verse number="22">Ларлолаш, цу хӀуманна тӀехь шаьш кхоа ма делаш. Пачхьалкхана дуьхьал зе хиллал и хӀума сов ма далийталаш!»</verse>
				<verse number="23">Артахь-Шашта-паччахьо дахьийтина долу кехат Рахьимана а, йозанча волчу Шимшайна а, цаьрца цхьаьна куьйгалла деш болчарна а хьалха дӀадешна ма-делли, цара, сихха яхӀудхой болчу Ярушалайме а бахана, шайн нуьцкъалчу куьйгаца цаьрга болийна болу белхаш сацабайтира.</verse>
				<verse number="24">Ярушалаймехь долчу Делан цӀенна тӀехь беш болу белхаш сацийнера. И болх сацийначохь лаьттира Парсин-мехкан паччахь Дари-Ваша паччахьаллехь волу шолгӀа шо доладаллалц.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">Цу хенахь Хьагай-пайхамар а, иштта Ӏидун кӀант Закри-ЯхӀу-пайхамар а Исраилан халкъан Делан цӀарах ЯхӀуд-махкахь а, Ярушалаймехь а болчу яхӀудхошка Делера болу хаамаш бан волавелира.</verse>
				<verse number="2">ТӀаккха Шалтаалан кӀант волу Зурбабел а, ЮцӀдукъан кӀант волу ЮшаӀ а юха а Ярушалаймехь долчу Делан цӀен тӀехь болх бан волавелира. Царна накъосталла деш Делан пайхамарш а бара.</verse>
				<verse number="3">Цу хенахь царна тӀевеара Эпрат-хил малхбузехьа долчу латтанашна тӀехь хьаькам волу Татинай. Цуьнца цхьаьна Шатар-Бузнай а вара, шеца цхьаьна куьйгалхой а болуш. Цара Зурбабеле а, ЮшаӀе а хаьттира: «Шуна хьан бакъо елла хӀара Делан цӀа дан а, кхуьнан пенаш дина довлийта а?» — аьлла.</verse>
				<verse number="4">ТӀаккха оха дӀайийцира царна и гӀишло еш болчеран цӀераш.</verse>
				<verse number="5">Амма Дела яхӀудхойн тхьамданаш ларбеш вара. Цара шайн болх саца ца бира, шаьш Дари-Ваша-паччахье хаам дӀа а бахьийтина, цунна дуьхьал шайна жоп даллалц.</verse>
				<verse number="6">Эпрат-хил малхбузехьарчу латтанаш тӀехь хьаькам волчу Татинайс а, иштта Шатар-Бузнайс а, Эпрат-хил малхбузехь цаьрца цхьаьна куьйгалла деш болчара а паччахь волчу Дари-Ваше дахьийтина кехат иштта ду.</verse>
				<verse number="7">Кехатан чулацам хӀара бу: «Боккхачу машарехь Ӏойла хьо, Дари-Ваша-паччахь!</verse>
				<verse number="8">Паччахьна дӀахоийла тхо яхӀудхойн махкахь долчу Веза Воккха волчу Делан цӀа дахана хилар. ЯхӀудхоша и цӀа даккхийчу тӀулгех деш ду, цу тӀулгашна юккъе дечиган дукъош а хӀиттош. ЯхӀудхоша и болх лерина беш бу, церан куьйгаша иза кхиамца а бо.</verse>
				<verse number="9">Оха церан тхьамданашка хаьттира: „Шуна хьан елла бакъо хӀара Делан цӀа дан а, кхуьнан пенаш дина далийта а?“ — аьлла.</verse>
				<verse number="10">Цул сов, оха церан цӀераш а хаьттира. Тхан Ӏалашо яра церан цӀераш дӀаязъяр, церан коьртехь берш хьуна бовзийтархьама.</verse>
				<verse number="11">Цара тхоьга делла долу жоп иштта дара: „Стигалан а, лаьттан а Дела Волчун леш ду тхо. Дуккха а шераш хьалха дина долу Делан цӀа юхаметтахӀоттош ду тхо. ХӀара цӀа Исраилан халкъан сийлахьчу паччахьо дина чекхдаьккхина а ду.</verse>
				<verse number="12">Амма тхан дайша стигалара Дела оьгӀазвахийтира. ТӀаккха Дала Бавел-мехкан паччахь волчу хашадхочун Набухди-Нецаран кара дӀабелира тхан дай. Набухди-Нецара Делан цӀа доха а дина, халкъ Бавеле дӀадигира.</verse>
				<verse number="13">Амма ша паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь Бавелан паччахь волчу Къуреша леррина омра дира, Делан цӀа юхаметтахӀоттаде аьлла.</verse>
				<verse number="14">Набухди-Нецара, Ярушалаймехь долчу Делан цӀа чуьра ара а яьхна, Бавелехь долчу деланийн цӀа чу яьхьна йолу дешин а, детин а пхьегӀаш, Къуреша, юха а Бавелехь долчу деланийн цӀа чуьра ара а яьхна, ЯхӀудан мехкада хӀоттийна волчу Шишбацаре дӀаелира.</verse>
				<verse number="15">Къуреша Шишбацаре элира: ‘ХӀара дешин а, детин а хӀуманаш, схьа а эций, Ярушалаймехь долчу Делан цӀа чу юха дӀахьо. Ткъа Делан цӀа ша хьалха хиллачу меттехь дӀахӀоттаде’.</verse>
				<verse number="16">ТӀаккха Шишбацара, юха схьа а веана, Ярушалаймехь Делан цӀийнан бух боьттира. ХӀетахь дуьйна схьа и цӀа деш а ду, хӀинца а дина далаза а ду“.</verse>
				<verse number="17">Нагахь санна хьайн лаам хилахь, Бавелехь долчу паччахьийн тептарш тӀехь дӀаяздинарг лахийта, Къуреш-паччахьо баккъал а, Ярушалаймехь Делан цӀа дан мегар ду аьлла, пурба делла хилар хаархьама. Цул тӀаьхьа тхоьга кехат даийтахьара ахьа, цу гӀуллакхна тӀехь хьан лаам муха бу тхуна дуьйцуш».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="6">
				<verse number="1">Цул тӀаьхьа Дари-Ваша-паччахьо тӀедиллира, Бавел-гӀалахь йолчу пачхьалкхан хазни чохь дӀадиллина долчу тептарш тӀера цу хӀуманах лаьцна дӀаяздинарг схьалаха аьлла.</verse>
				<verse number="2">Мадай-махкахь лаьттачу Ахьмати-гӀалин паччахьан цӀа чохь карийра цхьа тептар. Цу тептар тӀехь яздина хилла: «Диц ца далийта:</verse>
				<verse number="3">Шен паччахьалла дӀахӀоьттинчу хьалхарчу шарахь Къуреш-паччахьо Ярушалаймехь долчу Делан цӀийнах лаьцна омра дира. СагӀанаш доху меттиг санна Делан цӀа дӀахӀоттаде, ткъа цуьнан бух юхаботта. Цу цӀийнан лакхалла кхузткъа дол, шоралла а кхузткъа дол хила еза.</verse>
				<verse number="4">Цу цӀийнан пенаш иштта дина хила деза: даккхийчу тӀулгех динчу кхоккха могӀарна тӀе дечиган бӀогӀамех бина цхьа могӀа билла. Ерриг а харж паччахьан хазни чуьра схьаэца еза.</verse>
				<verse number="5">Делан цӀенна чуьра йолу дашо а, дато а пхьегӀаш, Набухди-Нецара Ярушалаймехь долчу Делан цӀа чуьра схьа а эцна, Бавел-гӀала дӀаяьхьна йолу, шайн метте Ярушалаймехь долчу Делан цӀа чу юхаерзо еза. Царах йолу хӀора хӀума Делан цӀа чу шайн-шайн метте охьайилла еза».</verse>
				<verse number="6">Цул тӀаьхьа Дари-Ваша-паччахьо иштта жоп дӀадахьийтира: «Эпрат-хил малхбузерчу меттигийн хьаькам волу Татинай а, Шатар-Бузнай а, цуьнца цхьаьна цигахь куьйгалла деш берш а Ярушалаймехь деш долчунна юкъагӀерта ца беза.</verse>
				<verse number="7">Делан цӀенна тӀехь беш болу белхаш саца ма белаш. ЯхӀудхойн мехкадас а, церан тхьамданаша а Делан цӀа ша хьалха хиллачу метте дӀахӀоттаде.</verse>
				<verse number="8">Делан цӀа деш болчу яхӀудхойн тхьамданашна гӀо дар аса шуна тӀедуьллу. Иштта Эпрат-хил малхбузерчу латтанашкара схьагулдинчу ясакхах долу хӀума паччахьан хазни чуьра, сихонца схьа а эций, цу цӀен тӀехь болх беш болчу нахана дӀало и болх цаьрга саца ца байта.</verse>
				<verse number="9">Цу нахана царна оьшуш мел долу хӀума дӀало. Динан дайшна стигаларчу Далла дагоран сагӀанаш даха эсий, уьстагӀий я Ӏахарш эшахь, царна уьш дӀало. Нагахь санна Ярушалаймерчу динан дайша кӀа а, туьха а, чагӀар а, даьтта а дехахь, уьш а царна, кхоа ца деш, хӀора дийнахь дӀало.</verse>
				<verse number="10">ЯхӀудхойн динан дайшна и шадерг а дӀало, цаьрга стигаларчу Далла хазахеташ долу сагӀанаш дахийта а, паччахьан а, цуьнан кӀентийн а дахарна тӀера доӀанаш дайта а.</verse>
				<verse number="11">Аса иштта омра до: нагахь санна цхьаммо хӀара омра кхочуш ца дахь, цу стеган цӀийнах боллуш болу бӀогӀам схьа а баьккхина, иза цу бӀогӀамана тӀевогӀа. И зулам бахьана долуш цуьнан цӀенойх саьлнаш ян еза.</verse>
				<verse number="12">Ярушалайм Шен цӀе язъян хаьржинчу Дала таӀзар дойла хӀара аса аьлларг хуьйцур долуш волчу я Ярушалаймехь долу Делан цӀа дохо шен куьг дӀакховдийначу муьлхха а паччахьна а, халкъана а. Аса, Дари-Вашас, хӀара омра дина. Аса аьлла ма-хиллара, хӀара кхочушдойла».</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха Эпрат-хил малхбузехьарчу меттигийн хьаькам волчу Татинайс а, Шатар-Бузнайс а, цаьрца цхьаьна куьйгалла деш болчара а, Дари-Вашас ма-аллара, цуьнан омра хила ма-деззара кхочушдора.</verse>
				<verse number="14">ЯхӀудхойн тхьамданаша Делан цӀа даран балха тӀехь кхиамаш бохура, Хьагайс а, Ӏидун кӀант волчу Закри-ЯхӀус а Делера болчу хаамашкахула уьш иракара а хӀиттош. Цара Исраилан Дела волчун лаамца, Парси-мехкан паччахьаша Къуреша а, Дари-Вашас а, иштта Артахь-Шаштас а ма-аллара кхочушдора шайна тӀедиллинарг.</verse>
				<verse number="15">Делан цӀа дина делира Адар-беттан кхозлагӀчу дийнахь, Дари-Ваша паччахьаллехь волчу йолхалгӀачу шарахь.</verse>
				<verse number="16">Исраилан халкъо хазахетарца даздира Делан цӀа къобалдар. Царна юкъахь бара динан дай а, левихой а, иштта йийсарера юха мел бирзинарш а.</verse>
				<verse number="17">Делан цӀа къобалдечу хенахь цара Далла сагӀа доккхуш бӀе сту а, ши бӀе уьстагӀ а, биъ бӀе Ӏахар а балийра. Дерриг а Исраилан халкъо латийначу къинах долу сагӀа даккха цара шийтта бож а ялийра — хӀора Исраилан тайпанан цӀарах — цхьацца бож.</verse>
				<verse number="18">Цул тӀаьхьа цара, динан дайх а, левихойх а къастийна тобанаш а кхоьллина, уьш, Мусан тептар тӀехь ма-аллара, Ярушалаймехь долчу Делан цӀа долчохь гӀуллакх дан дӀахӀиттийра.</verse>
				<verse number="19">Шеран хьалхарчу беттан дейтталгӀачу дийнахь йийсарера юхабирзинчу яхӀудхоша «Пасахь» олу дезде даздира.</verse>
				<verse number="20">Динан дай а, левихой а, Далла хьалха цӀена хуьлу Ӏадат кхочуш а дина, Пасахьан дезачу денна кечбелира. Левихоша массо а йийсарера юхабирзинчарна а, шайн вежарий болчу динан дайшна а, шайна а лерина долчу Пасахьан Ӏахаршна урс хьаькхира.</verse>
				<verse number="21">Йийсарера юхадирзинчу массо а Исраилан халкъо и Пасахьан кхача биира. Исраилан халкъан Везачу Далла Ӏибадат дан кхечу къаьмнаша лелош долчу хьарамчу хӀуманех шаьш дӀакъастийначара а йоура Пасахьан юург.</verse>
				<verse number="22">ВорхӀ дийнахь чӀогӀа хазахетарца даздира цара совсазчу баьпкан дезде, хӀунда аьлча Везачу Эло доккха хазахетар кхоьллинера церан дегнаш чохь. Ашур-мехкан паччахьан дог цаьргахьа а дерзийна, цуьнга Исраилан Делан цӀа дан гӀо дайтира Цо.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="7">
				<verse number="1">Дикка хан яьллачул тӀаьхьа, Парси-махкахь Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу хенахь, Бавел-гӀалара Ярушалайме веара Хьалкхи-ЯхӀун кӀант волчу Ӏазар-ЯхӀун кӀентан Сари-ЯхӀун кӀант волу Ӏезар.</verse>
				<verse number="2">Хьалкхи-ЯхӀу Шалуман кӀант хилла, Шалум ЦӀадукъин кӀант хилла, ЦӀадукъа Ахьтубин кӀант хилла,</verse>
				<verse number="3">Ахьтуби Амар-ЯхӀун кӀант хилла, Амар-ЯхӀу Ӏазар-ЯхӀун кӀант хилла, Ӏазар-ЯхӀу Маръютин кӀант хилла,</verse>
				<verse number="4">Маръюти Зарахь-ЯхӀун кӀант хилла, Зарахь-ЯхӀу Ӏузин кӀант хилла, Ӏузи Букхайн кӀант хилла,</verse>
				<verse number="5">Букхай АбишуӀан кӀант хилла, АбишуӀ Пайнехьасан кӀант хилла, Пайнехьас ЭлиӀазаран кӀант хилла, ткъа ЭлиӀазар динан коьрта да волчу АхӀаронан кӀант хилла.</verse>
				<verse number="6">Ӏезар Бавел-гӀалара новкъа велира. Исраилан халкъан Везачу Дала Муса-пайхамарехула белла товрат-хьехамаш дика хууш волу Ӏелам стаг хилла иза. Паччахь волчу Артахь-Шаштас Ӏезарна цо мел дехна долу массо а хӀума делла хилла, хӀунда аьлча Веза Эла Ӏезарца хилла.</verse>
				<verse number="7">Ӏезарца схьабаьхкина хилла дуккха а исраилхой. Царна юкъахь динан дай а, левихой а, илланчаш а, кевнехь лаьтташ болу гӀаролхой а, Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш берш а хилла. Уьш шаберш а Артахь-Шашта паччахьаллехь волу ворхӀалгӀачу шарахь схьабаьхкира.</verse>
				<verse number="8">Ӏезар Ярушалайм-гӀала схьавеара Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу ворхӀалгӀачу шеран пхоьалгӀачу баттахь.</verse>
				<verse number="9">Ӏезар а, цуьнан накъостий а Бавел-гӀалара арабевллера шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь, ткъа уьш Ярушалайм-гӀала схьабаьхкинера пхоьалгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь, хӀунда аьлча Шен диканца Дела цуьнца вара.</verse>
				<verse number="10">Иза иштта хилира, хӀунда аьлча цо шен дог Везачу Элан товрат-хьехамаш Ӏаморна а, уьш кхочушбарна а, иштта Исраилан халкъана цуьнан парзаш а, тӀедехкинарш а хьехарна а тӀедерзийнера.</verse>
				<verse number="11">Динан да а, Ӏелам стаг а волуш, Исраилан халкъана Везачу Эло тӀедехкинарш а, Цуьнан парзаш а дикка хууш волчу Ӏезаре паччахьо кехат яздина хилла. ХӀара бу цу кехатан чулацам:</verse>
				<verse number="12">«Паччахьийн а паччахь волчу Артахь-Шаштера динан да волчу Ӏезаре, Делан кхоччуш болчу товрат-хьехамаш тӀехь Ӏелам стаг а волчу, иштта кхидӀа а.</verse>
				<verse number="13">Аса иштта омра до: сан пачхьалкхехь бехаш болчу исраилхойх, я церан динан дайх, я левихойх хьоьца Ярушалайме ваха лууш волу муьлхханиг а дӀаваха мегар ду.</verse>
				<verse number="14">Сан а, сан ворхӀ хьехамчийн а цӀарах вахийтина ма ву хьо ЯхӀуд-махка а, Ярушалайме а, хьан Делан болчу а, хьан карахь болчу а товрат-хьехамашца цигара халкъ дехаш дуй таллархьама.</verse>
				<verse number="15">Аса а, сан хьехамчаша а Ярушалаймехь Шен цӀа долуш волчу Исраилан Далла тхешан лаамца сагӀина делла деши а, дети а хьайца дӀадахьа деза ахьа.</verse>
				<verse number="16">Бавел-махкахула ахьа схьагулдо деши а, дети а, иштта халкъо а, динан дайша а шайн лаамца Ярушалаймехь долчу Делан цӀенна сагӀина дӀаделларг а хьайца дӀахьо.</verse>
				<verse number="17">Цу ахчанах билггала стерчий а, уьстагӀий а, Ӏахарий а иштта кӀа а, чагӀар а эца. Ярушалаймехь долчу Делан цӀийнан кертахь сагӀа доккхучу кхерча тӀехь и массо а хӀуманаш сагӀина ло.</verse>
				<verse number="18">Хьуна а, хьан накъосташна а тӀаьхьадисинчу дешица а, детица а дан дика хеташ дерг де, иза шун Делан лаамехь делахь.</verse>
				<verse number="19">Делан цӀа чохь гӀуллакх дан хьайга дӀаелла йолу пхьегӀаш, Ярушалаймерчу Далла хьалха дӀа а хьой, охьахӀиттае.</verse>
				<verse number="20">Аса хьуна бакъо ло хьан Делан цӀенна оьшуш мел долу хӀума, паччахьан хазни чуьра схьа а эцна, дӀадахьа.</verse>
				<verse number="21">Аса, паччахь волчу Артахь-Шаштас, сан Эпрат-хил дехьа йолу хазна ларъеш мел болчарна тӀедуьллу: шайга динан да а волчу, стигаларчу Делан товрат-хьехамаш нахана хьоьхуш а волчу Ӏезара дӀадеххнарг, мало а ца еш, дӀало.</verse>
				<verse number="22">Цхьа бӀе гали дети а, пхи бӀе гали кӀа а, ворхӀ бӀе чами чагӀар а, ворхӀ бӀе чами зайтдаьтта а ца кхоччуш, барам боццуш туьха а Ӏезаре дӀадала мега.</verse>
				<verse number="23">Стигаларчу Дала Шен цӀенна мел дехнарг Цунна леррина дӀадала деза, Иза паччахьна а, цуьнан кӀенташна а оьгӀаз ца вахийта.</verse>
				<verse number="24">Кхин цхьа хӀума а ду сан хьоьга дӀахаийта: цхьана а динан дегара а, левихочуьнгара а, илланчера а, Делан цӀийнан кевнера гӀаролхочуьнгара а, иштта Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болчу ялхошкара а ясакх а, я ял а яккха мегар дац.</verse>
				<verse number="25">Ткъа ахь, Ӏезар, хьан Дала хьуна деллачу хьекъалца куьйгалхой а, кхелахой а дӀахӀиттабе. Уьш Эпрат-хил дехьа малхбузехьа болчу а, хьан Дала беллачу товрат-хьехамашца бехаш болчу а нахана тӀехь куьйгалла деш хир бу. Ткъа и товрат-хьехамаш ца хууш болчарна Ӏамабе уьш.</verse>
				<verse number="26">Хьан Делан товрат-хьехамашца а, я паччахьан Ӏедалца а бохуш дерг ца динчунна кхоччуш таӀзар дан догӀуш ду. Цо диначуьнга хьаьжжина, иза вийна, я кхечу махка дӀаэккхийна, я цуьнан бахам схьабаьккхина, я набахти чу воьллина хила везаш ву».</verse>
				<verse number="27">Ӏезара элира: «Декъала ву вайн дайн Дела волу Веза Эла. Цо паччахьна даг чу диллина, Ярушалаймехь долчу Везачу Элан цӀийнан иштта сийде аьлла.</verse>
				<verse number="28">Везачу Дала соьгахьа болу Шен хедар боцу безам паччахьна а, цуьнан хьехамчашна а, массо а сийлахьчу элашна а хьалха схьагайтина. Везачу Эло суна гӀо дарна, со иракара а хӀоьттина, ткъа исраилхойн куьйгалхойх дукхахберш сайца Ярушалайме бига схьагулбина».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="8">
				<verse number="1">ХӀорш ю Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу хенахь соьца, Ӏезарца, Бавел-махкара арабевллачеран тайпанийн тхьамданийн а, цаьрца цхьаьна тептарш тӀехь аса дӀаязбинчеран а цӀераш:</verse>
				<verse number="2">Пайнехьасан тӀаьхьенах — ГӀиршан; Итамаран тӀаьхьенах — Даниал; Даудан тӀаьхьенах — Хьатуш;</verse>
				<verse number="3">Шихан-ЯхӀун тӀаьхьенах берш; ПарӀушан тӀаьхьенах — Закри-ЯхӀу а, цуьнца цхьаьна цхьа бӀе шовзткъе итт дӀаязвина боьрша стаг а;</verse>
				<verse number="4">Пахьат-Муабин тӀаьхьенах — Зарахь-ЯхӀун кӀант Эли-ЯхӀу-Ӏейни а, цуьнца ши бӀе боьрша стаг а;</verse>
				<verse number="5">Затун тӀаьхьенах — Яхьазиалан кӀант Шихан-ЯхӀу а вара, цуьнца кхо бӀе боьрша стаг а;</verse>
				<verse number="6">Ӏадин тӀаьхьенах — ЯхӀунатин кӀант Ӏабайд а, цуьнца шовзткъе итт стаг божарий а;</verse>
				<verse number="7">Ӏейламан тӀаьхьенах — Ӏатал-ЯхӀун кӀант ЯшаӀ-ЯхӀу а, цуьнца кхузткъе итт боьрша стаг а;</verse>
				<verse number="8">Шапат-ЯхӀун тӀаьхьенах — Микаалан кӀант Забди-ЯхӀу а, цуьнца везткъа боьрша стаг а;</verse>
				<verse number="9">Йоабан тӀаьхьенах — Яхьиалан кӀант Ӏабди-ЯхӀу а, цуьнца ши бӀе берхӀитта боьрша стаг а;</verse>
				<verse number="10">Банин тӀаьхьенах — Юсуп-ЯхӀун кӀант Шалумати а, цуьнца бӀе кхузткъа боьрша стаг а;</verse>
				<verse number="11">Бебайн тӀаьхьенах — Бебайн кӀант Закри-ЯхӀу а, цуьнца ткъе бархӀ боьрша стаг а;</verse>
				<verse number="12">ӀазгӀадин тӀаьхьенах — ХӀакхитанан кӀант Йохьан а, цуьнца бӀе итт боьрша стаг а;</verse>
				<verse number="13">Адуникхаман тӀаьхьенах тӀаьхьарнаш: Эли-Пулат, ЯӀиал, ШамӀа-ЯхӀу, иштта цаьрца кхузткъа боьрша стаг а;</verse>
				<verse number="14">БигӀвайн тӀаьхьенах — Ӏутай а, Закхур а, цаьрца кхузткъе итт боьрша стаг а.</verse>
				<verse number="15">Аса АхӀава-гӀала доьдуш долчу хи йисте схьагулбира уьш. Цу меттехь тхо кхаа дийнахь лаьттира. Нахе хьаьжча, суна хиира царна юкъахь динан дай буйла, амма левихой бацара.</verse>
				<verse number="16">ТӀаккха аса куьйгалхой болчу ЭлиӀазаре а, Ариале а, ШамӀа-ЯхӀуга а, Эли-Натига а, Ярбига а, Эли-Натига а, Натига а, Закри-ЯхӀуга а, Машулиме а схьакхайкха бахийтира, иштта Ӏелам нах болчу ЯхӀу-Ярбига а, Эли-Натига а схьакхайкхира.</verse>
				<verse number="17">Аса и нах Касипай-гӀалин куьйгалхо волчу Ӏидуна тӀе бахийтира, цара Ӏидуга а, цуьнан гергарчу нахе а дӀаала дезарг дӀа а хьехна. Цуьнан гергара нах Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх дийраш бу. Аса и нах Ӏиду волчу бахийтира, цаьрга тхо долчу нах балабайта, вайн Делан цӀа долчохь гӀуллакх дайтархьама.</verse>
				<verse number="18">Вайн Дела Шен диканца тхоьца хилар бахьана долуш, Ӏидун гергарчу наха тхо долчу воккха хьекъалча волу Шараб-ЯхӀу ваийтира. Иза Левин кӀант волчу Махьлин тӀаьхьенах вара. Ткъа Леви Исраилан кӀентех цхьаъ вара. Цара тхо долчу Шараб-ЯхӀу а, цуьнан кӀентӀий а, цуьнан вежарий а бахкийтира. Иштта цу доьзалера берхӀитта стаг веара тхо долчу.</verse>
				<verse number="19">Цара иштта Мерарин тӀаьхьенах волу Хьашби-ЯхӀу а, ЯшаӀ-ЯхӀу а ваийтира. Цара шайн вежарий а, вежарийн бераш а дахкийтира. Цу доьзалера верриг а ткъа стаг веара.</verse>
				<verse number="20">Цара иштта ши бӀе ткъа Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх дийриг а ваийтира. Церан дай Дауда а, цуьнан тӀеман хьаькамаша а левихошна гӀо дан хаьржина хилла. Церан цӀераш массеран а цӀерашна юкъахь дӀаязйина хилла.</verse>
				<verse number="21">Цигахь, АхӀава-хи долчохь, аса хаам бира, оха массара а марха кхаба деза аьлла. Аса иштта цаьрга дӀаэлира, оха массаьрга а Далла хьалха тхешан дог эсала дан а деза, Деле тхан а, тхан берийн а, тхан бахаман а некъ дика хилийтар деха а деза аьлла.</verse>
				<verse number="22">Тхан некъаш тӀехь мостагӀий хила мегара, делахь а суна чӀогӀа эхь хетара Артахь-Шашта-паччахье тхо новкъахь лардайта эскар а, дошлой а беха, хӀунда аьлча оха паччахье аьллера: «Тхан Дала хӀора Иза лоьхучунна диканиг до. Амма Цуьнан нуьцкъалалла а, оьгӀазло а Цунна букъ берзийначунна дуьхьал ер ю».</verse>
				<verse number="23">Иштта, марханаш а кхобуш, цунах лаьцна оха тхайн Деле дийхира, Цо тхуна жоп а делира.</verse>
				<verse number="24">Цул тӀаьхьа куьйгалла деш болчу динан дайшна юкъара аса шийтта схьахаьржира. Цул сов Шараб-ЯхӀу а, Хьашби-ЯхӀу а, церан гергарчарах итт а схьакъастийра ас.</verse>
				<verse number="25">Царна хьалха ас уьйзира Артахь-Шашта-паччахьо а, цуьнан хьехамчаша а, элаша а, массо а цигарчу исраилхоша а Делан цӀенна дӀаделла долу деши а, дети а, пхьегӀаш а.</verse>
				<verse number="26">Оьзначул тӀаьхьа аса церан кара хӀара дӀаделира: дети — ялх бӀе шовзткъе итт мазал; детин пхьегӀаш — бӀе; деши — бӀе мазал;</verse>
				<verse number="27">дешин кад — ткъа (цхьа эзар дарик олу деши ахччанал); дешин метта лоруш долчу уггар дикачу къегаш долчу цӀестан пхьегӀа — шиъ.</verse>
				<verse number="28">Цул тӀаьхьа аса цаьрга элира: «Шу а, хӀара пхьегӀаш а, Везачу Элана дӀа а къастийна, Цуьнан долахь ю. ХӀара деши а, дети а Везачу Элана, шун дайн Далла, адамаша шайн лаамца делла совгӀаташ ду.</verse>
				<verse number="29">И хӀуманаш леррина ларъелаш, динан дайн куьйгалхошна а, левихошна а, исраилхойн тайпанийн тхьамданашна а хьалха, Ярушалаймехь долчу Делан цӀийнан чоьнашкахь аша уьш оззалц».</verse>
				<verse number="30">Динан дайша а, левихоша а и оьзна долу деши а, дети а, пхьегӀаш а шайга дӀаийцира, уьш Ярушалаймехь долчу тхан Делан цӀа чу дӀаяхьа.</verse>
				<verse number="31">Шеран хьалхарчу беттан шийтталгӀачу дийнахь АхӀава-хи долчуьра Ярушалайме даха арадевлира тхо. Некъ чекхбаллалц Дела тхоьца вара, тхо мостагӀех а, талорхойх а лар а деш.</verse>
				<verse number="32">Ярушалайме схьа а даьхкина, оха цигахь кхаа дийнахь садаьӀира.</verse>
				<verse number="33">ДоьалгӀачу дийнахь оха, Делан цӀа долчу а дахана, оза а узуш, деши а, дети а, пхьегӀаш а динан да волчу УръяхӀун кӀанте Мармутига дӀаелира. Мармутица Пайнехьасан кӀант ЭлиӀазар вара, ткъа цаьрца левихой болу ЮшаӀан кӀант Юзабди а, Бинуйн кӀант НуӀад-ЯхӀу а вара.</verse>
				<verse number="34">Оха массо а хӀума оццу хенахь, ягар а йина, оза а оьзна, дӀаязйира.</verse>
				<verse number="35">Цул тӀаьхьа йийсарера юхабирзинчу наха дийнаташ дагоран сагӀанаш дохура Исраилан Далла лерина. Массо а Исраилан халкъан дуьхьа шийтта сту а, безткъе ялхитта уьстагӀ а, кхузткъе вуьрхӀитта Ӏахар а сагӀина беара цара. Иштта цара шийтта бож къинах долу сагӀа санна еара. И массо а бежана цара дийнаташ дагоран сагӀанаш санна еара Везачу Элана.</verse>
				<verse number="36">Цул тӀаьхьа цара паччахьан тхьамданашка а, Эпрат-хина малхбузехьа долу латтанаш карахь долуш болчу хьаькамашка а дӀаделира и паччахьан весеташ. ТӀаккха цу куьйгалхоша гӀо дира Исраилан халкъана а, Делан цӀенна а.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="9">
				<verse number="1">И хӀума чекхдаьллачул тӀаьхьа со волчу Исраилан куьйгалхой баьхкира. Цара элира: «Исраилан халкъана гонах канаӀанхой а, хьетахой а, перезахой а, явсайхой а, Ӏамминхой а, муабахой а, мисархой а, эмархой а Ӏаш бу. Оцу къаьмнаша Далла хьалха дегаза гӀуллакхаш леладо. Ткъа Исраилан халкъ, иштта динан дай а, левихой а, дӀа ца къаьстира оцу къаьмнех а, цара лелочух а.</verse>
				<verse number="2">Исраилхоша шайна гонах дехаш долчу халкъийн зударий балор бахьана долуш, Делан долахь долу халкъ кхечу къаьмнех дӀаийнера. И къа шайх леточеран могӀаршкахь бара мехкан куьйгалхой а, кхиболу хьаькамаш а».</verse>
				<verse number="3">И дешнаш сайна хезча, аса сайна тӀейоьхна йолу тӀехулара а, чухулара а бедарш этӀийра, сайн коьртара а, маж тӀера а чоьш а дехира. Со чӀогӀа гӀайгӀане хилла охьахиира.</verse>
				<verse number="4">ТӀаккха, йийсарера юхабирзинчара леладо хьарам гӀуллакхаш бахьана долуш, Исраилан Дала аьллачунна вегош мел волу стаг со волчу схьагулвелира. ЧӀогӀа гӀайгӀане волу со суьйранна сагӀа доккху хан тӀекхаччалц Ӏийра.</verse>
				<verse number="5">Суьйранна сагӀа доккху хан тӀекхаьчча, со хьалагӀаьттира. Сан тӀехулара а, чухулара а бедарш этӀийна яра. Гора а хӀоьттина, аса сайн Везачу Деле куьйгаш дӀакховдийра.</verse>
				<verse number="6">Аса элира: «Сан Дела! Сайна эхь хетарна со Хьоьга дӀа ца хьажало, хӀунда аьлча тхан къинош тхан коьртал а лакхадевлла, ткъа тхан бехк стигалал а лакхабаьлла.</verse>
				<verse number="7">Тхан дайшкара дуьйна таханлера де тӀекхаччалц, оха даккхий къинош летийна. И къинош бахьана долуш тхо а, тхан паччахьаш а, тхан динан дай а кхечу махкара болчу паччахьийн кара дӀаделира Ахь. Уьш тхуна тӀе а летара, тхан нах цара дӀа а буьгура, тхуна цара талораш а дора, тахана а ма-даккхара, сийсаза а дохура.</verse>
				<verse number="8">Ткъа хӀинца, ва тхан Веза Дела, кӀезигчу ханна тхох къинхетам бина Ахь. Ахьа цхьаболчарна йийсарех кӀелхьардовла пурба а делла, Хьан долахь йолчу кху меттиге уьш дика охьа а ховшийтина. Ахьа тхан бӀаьргаш схьадиллина, тхуна чу са а даийтина, йийсарера кӀелхьара а даьхна.</verse>
				<verse number="9">Тхо леш дара, амма лоллехь долуш а Ахьа тхо Хьайн терго йоцуш ца дитира. Ахьа Парси-махкара болу паччахьаш а тхоьца къинхетаме хилийтира. Ахьа тхуна керла дахар делира, Хьан цӀа дохийначуьра юхаметтахӀотто ницкъ а белира. Ахь динарг бахьана долуш, Ярушалаймехь а, ЯхӀуд-махкахь а тхо хӀинца маьршачу пенашна тӀехьа Ӏало.</verse>
				<verse number="10">Ткъа хӀинца, тхан Дела, оха хӀун эр ду Хьоьга, Ахьа тӀедиллинчунна тӀера тхо дӀадевлла хилча?</verse>
				<verse number="11">Хьайн лай болчу пайхамаршкахула Ахьа тхоьга дина весеташ дара. Ахьа тхоьга элира: „Шун дола даккхархьама шу дӀадоьлхуш долу латта — иза шена чохь Ӏаш долчу къаьмнаша лелийна дегазачу гӀуллакхаша талхийна латта ду. Дегаза хӀуманаш а лелош, церан боьхачу гӀуллакхашца оцу адамаша и латта дуьзнера цхьана йистера дуьйна вукху йисте кхаччалц.</verse>
				<verse number="12">Цундела шайн кӀенташка церан зудабераш маре ма даладайта, шайн зудабераш цаьрга маре дӀа а ма дигийта. Цу нахах дӀа ма кхета! Машар я диканиг цаьрца цкъа а ма леха. Шу иштта лелахь, онда хир ду шу, лаьтто кхиийна мел дерг аша дуур ду, хӀара латта гуттаренна шун берийн дола долуьйтур ду“.</verse>
				<verse number="13">Тхайна тӀехӀоьттинчунна бехке тхо тхаьш ду. Оха вонаш дора, цундела тхуна тӀехь боккха бехк бу. Ахьа, тхан Дела, тхуна таӀзар дира, амма оха лелийначуьнга хьаьжча, иза кӀезиг таӀзар дара. Ахь ур-атталла цхьаболчарна йийсарера кӀелхьардовла пурба а делира.</verse>
				<verse number="14">Вонаш лелош болчеран зудабераш маре а дуьгуш, цаьрга тхайнаш маре а дохуьйтуш, Хьан весеташ кхин цкъа муха дохор ду оха? Оха иза лелийча, тхо хӀаллакдал чӀогӀа оьгӀаз муха гӀур вац Хьо? ТӀаккха тхох цхьа а дийна а вуьсур вац, цхьа а стаг кӀелхьар а вер вац.</verse>
				<verse number="15">Исраилан халкъан Веза Дела, Хьо нийса велахь а, тхох цхьадерш таханлерчу дийне тӀекхаччалц дийна дисийтира Ахь. Тхо бехке ду, ткъа тхайна тӀера бехк бахьана долуш, тхох волу цхьа а стаг Хьуна хьалха латта йиш йолуш ма вац!»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="10">
				<verse number="1">Делан цӀенна хьалха суждане а воьдуш, воьлхуш, халкъо летийначу къиношна ша къера хилар а дуьйцуш, Ӏезара доӀа дечу хенахь, цунна гонах дуккха а исраилхой гулбелира. Царна юкъахь божарий а, зударий а, бераш а дара. Уьш а чӀогӀа боьлхуш бара.</verse>
				<verse number="2">ТӀаккха Ӏейламан тӀаьхьенах волчу Яхьиалан кӀанта Шихан-ЯхӀус Ӏезаре элира: «Тхо тхайн Далла тешаме ца хилла, тхайна гонах дехаш долчу къаьмнийн зудабераш тхайна маре а дуьгуш. Оха и хӀума лелийнехь а, Исраилан халкъан кхин а сатуьйсийла йисина.</verse>
				<verse number="3">Ткъа хӀинца тхоьга тхан Далла хьалха барт байтахьара ахьа, хӀара зударий а, цара дина долу бераш а оха дӀадохуьйтур ду аьлла. Сан эла волчу ахьа а, иштта Далла хьалха ларамах буьзна болчу наха а хьоьхуш дерг оха тӀелоцур дара, товрат-хьехамашца тхо лелар а дара.</verse>
				<verse number="4">ХьалагӀатта, Ӏезар, хӀунда аьлча хӀара хьан гӀуллакх ду, оха хьоьгахьа гӀо а доккхур ду. Доьналла долуш а хилий, и гӀуллакх чекхдаккха!»</verse>
				<verse number="5">Ӏезар хьалагӀаьттира. Цо динан дайн хьаькамашка а, левихошка а, дерриг а Исраилан халкъе а чӀагӀо яйтира, цара Шихан-ЯхӀус аьлларг дийр ду аьлла. Цара и чӀагӀо йира.</verse>
				<verse number="6">Цул тӀаьхьа Ӏезар, Делан цӀенна уллора юьстах а ваьлла, Элишубан кӀентан ЯхӀу-Хьанин цӀа чу вахара. Цу чохь яа хӀума а ца юуш, мала а ца молуш буьйса яьккхира цо, хӀунда аьлча, йийсарера юхабирзинчара Далла тешаме доцург лелийна хилар бахьана долуш, чӀогӀа гӀайгӀане вара иза.</verse>
				<verse number="7">Цо берриг а ЯхӀуд-махкахь а, Ярушалаймехь а долчу халкъе кхайкхам бира, массо а йийсарера юхавирзина мел волу стаг Ярушалайме схьагулло аьлла.</verse>
				<verse number="8">Кхаа дийнахь цига ваза висинчу стеган мел долу хьал хьаькамаша а, къаноша а кхел ма-ярра, цуьнгара схьадоккхур ду аьлла хилла, ткъа иза ша йийсарера юхабирзинчеран гуламна юкъара дӀавоккхуш хилла.</verse>
				<verse number="9">Кхо де дӀадалале, ЯхӀуд-махкара а, Бен-Яман-махкара а мел волу стаг Ярушалайме схьагулвелира. Иза хилла уьссалгӀачу беттан ткъолгӀачу дийнахь. Цу дийнахь дерриг а халкъ Делан цӀенна хьалха йолчу кертахь охьахиъна Ӏаш дара. ГӀуллакхан дозаллина а, догӀуш догӀа хиларна а уьш чӀогӀа бегош бара.</verse>
				<verse number="10">Динан да волчу Ӏезара, хьала а гӀаьттина, элира: «Шу Далла тешаме ца хилла, шайна кхечу къаьмнех болу зударий а балийна. И хӀума бахьана долуш Исраилан бехк совбаьлла.</verse>
				<verse number="11">Шаьш динчунна вайн дайн Дела волчу Везачу Элана хьалха мукӀарло де, ткъа Цуьнан лаам кхочуш а бе. Шайна гонах дехаш долчу адамех а, царах болчу шайн зударех а дӀакъаста».</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха цигахь схьагулвелла мел волчо, чӀогӀа мохь а тухуш, элира: «Ахьа аьлларг дийр ду оха.</verse>
				<verse number="13">Амма кхузахь дукха адам гулделла, ткъа вайна хӀинца догӀанаш долу хан ю. Тхо арахь ца латтало. Ткъа и хӀума цхьана я шина дийнахь дина чекхдаккха йиш йолуш дац, хӀунда аьлча оцу къилахьчу гӀуллакхца тхох дукхахберш боьзна бу.</verse>
				<verse number="14">Вайн къаноша кхузахь гулбелла болчу массарна а хьалхара сацам бан беза. Вайн гӀаланашкара кхечу къаьмнийн зударий балийна мел верг йиллинчу хенахь Ярушалайме схьаван веза. Уьш шайн гӀалахь болчу куьйгалхошца а, динан дайшца а цхьаьна схьабахка беза. Иштта вай дийр ду, оцу гӀуллакхна Дела оьгӀазваханчуьра ваставаллалц».</verse>
				<verse number="15">Масех стаг бен цу сацамна реза воцуш ца хилира. Царна юкъахь ӀасахӀалан кӀант ЯхӀуната а, Тикхавин кӀант Яхьзи-ЯхӀу а вара. Цу шинна тӀетайна Машулим а, левихо волу Шабитай а вара.</verse>
				<verse number="16">Йийсарера юхадирзина долу Исраилан халкъ цу сацамна реза хилира. ХӀора доьзалера цӀийнан хьалхара болу нах билгалбехира динан да волчу Ӏезара. ХӀора гаранера цхьацца стаг а хаьржина, церан хӀораннан а цӀераш ехира цо. Шеран уьтталгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь схьахаьржина болу нах охьахевшира хӀора доьзалера долу гӀуллакхаш талла.</verse>
				<verse number="17">Шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь цара шайн кхечу къаьмнийн зударий балийначеран гӀуллакхех лаьцна болу таллам чекхбаьккхира.</verse>
				<verse number="18">Динан дайн тӀаьхьенах болчарна юкъара кхечу къаьмнех болу зударий балийначеран цӀераш хӀорш ю: ЮцӀдукъан кӀентан ЮшаӀан тӀаьхьенах берш а, цуьнан вежарий МаӀсей-ЯхӀу а, ЭлиӀазар а, Ярби а, Гадал-ЯхӀу а.</verse>
				<verse number="19">Цара массара а дош делира шайн зударех дӀакъаста. Цул тӀаьхьа цара хӀорамма а шайн жа юкъара цхьацца уьстагӀ гӀуда такхаран сагӀа санна бахьара.</verse>
				<verse number="20">Амиран тӀаьхьенах болу Хьанани а, Забди-ЯхӀу а;</verse>
				<verse number="21">Хьармин тӀаьхьенах болу МаӀсей-ЯхӀу а, Эли-ЯхӀу а, ШамӀа-ЯхӀу а, Яхьиал а, Ӏузи-ЯхӀу а;</verse>
				<verse number="22">Пашихьуран тӀаьхьенах болу ЭлъюӀейнай а, МаӀсей-ЯхӀу а, ИсмаьӀал а, Натунаил а, Юзабди а, ЭлиӀаса а;</verse>
				<verse number="23">Левихойх болу Юзабди а, ШамаӀи а, Кхали-ЯхӀу а (цунах Кхилати олуш а хилла), Патахь-ЯхӀу а, ЯхӀуд а, ЭлиӀазар а;</verse>
				<verse number="24">Илланчашна юкъара Элишуб а хилла. Делан цӀийнан кевнера гӀаролхой болу Шалум а, Телам а, Ури а хилла.</verse>
				<verse number="25">Вукху исраилхошна юкъара кхечу къаьмнех болу зударий балийнарш хилла: ПарӀушан тӀаьхьенах волу Рами-ЯхӀу а, Язи-ЯхӀу а, Малки-ЯхӀу а, Мияман а, ЭлиӀазар а, Малки-ЯхӀу а, БенъяхӀу а.</verse>
				<verse number="26">Ӏейламан тӀаьхьенах болчарна юкъара: Матан-ЯхӀу а, Закри-ЯхӀу а, Яхьиал а, Ӏабди а, Еримати а, Эли-ЯхӀу а.</verse>
				<verse number="27">Затун тӀаьхьенах болчарна юкъара: ЭлъюӀейнай а, Элишуб а, Матан-ЯхӀу а, Еримати а, Забад а, Азази а.</verse>
				<verse number="28">Бебайн тӀаьхьенах болчарна юкъара: ЯхӀу-Хьана а, Хьанан-ЯхӀу а, Забай а, Ӏатилай а.</verse>
				<verse number="29">Банин тӀаьхьенах болчарна юкъара: Машулим а, Малук а, Ӏади-ЯхӀу а, Яшаб а, Шаал а, Еримати а.</verse>
				<verse number="30">Пахьат-Муабин тӀаьхьенах болчарна юкъара: Ӏаднан а, Калил а, БенъяхӀу а, МаӀсей-ЯхӀу а, Матан-ЯхӀу а, Бацалиал а, Бинуй а, Маннаш а.</verse>
				<verse number="31">Хьармин тӀаьхьенах болчарна юкъара: ЭлиӀазар а, Йоши-ЯхӀу а, Малки-ЯхӀу а, ШамӀа-ЯхӀу а, ШимӀа а,</verse>
				<verse number="32">Бен-Яман а, Малук а, Шамри-ЯхӀу а.</verse>
				<verse number="33">Хьашуман тӀаьхьенах болчарна юкъара: Матинай а, Маттет а, Забад а, Эли-Пулат а, Яримай а, Маннаш а, ШамаӀи а.</verse>
				<verse number="34">Банин тӀаьхьенах болчарна юкъара: МаӀдай а, Ӏамрам а, Уал а,</verse>
				<verse number="35">БенъяхӀу а, Беди-ЯхӀу а, ХелихӀу а,</verse>
				<verse number="36">Вани-ЯхӀу а, Мармути а, Элишуб а,</verse>
				<verse number="37">Матан-ЯхӀу а, Матинай а, ЯӀсай а.</verse>
				<verse number="38">Бинуйн тӀаьхьенах болчарна юкъара: ШамаӀи а,</verse>
				<verse number="39">Шалам-ЯхӀу а, Ната а, Ӏади-ЯхӀу а,</verse>
				<verse number="40">Махнидбай а, Шашай а, Шарай а,</verse>
				<verse number="41">Ӏазариал а, Шалам-ЯхӀу а, Шамри-ЯхӀу а,</verse>
				<verse number="42">Шалум а, Амар-ЯхӀу а, Юсуп а.</verse>
				<verse number="43">Набун тӀаьхьенах болчарна юкъара: ЯӀиал а, Матит-ЯхӀу а, Забад а, Зибани а, Йодай а, Юал а, БенъяхӀу а.</verse>
				<verse number="44">Уьш массо а кхечу къомах болу зударий балийна бара. Царах цхьаболчеран цу зударша дина бераш а дара.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="16">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">ХӀара дешнаш Хьахли-ЯхӀун кӀант волчу Нахьми-ЯхӀун ду: Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу ткъолгӀачу шеран Кислав-баттахь со Шушан-гӀалин гӀопахь нисвеллера.</verse>
				<verse number="2">Цу хенахь сан вежарех цхьаъ волу Хьанани а, цуьнца кхин масех стаг а ЯхӀуд-махкара схьавеана вара. Йийсарера кӀелхьара а баьхна, юхабирзинчу яхӀудхойх лаьцна а, Ярушалаймах лаьцна а цаьрга хаттарш дира Аса.</verse>
				<verse number="3">Хьананис а, цуьнца болчара а суна жоп делира: «Йийсарех кӀелхьарбаьхна болу яхӀудхой шайн махкахь бехаш, чӀогӀа яккхий халонаш а, сийсаздахар а токхуш Ӏаш бу. И массо а хӀума Ярушалайман пенаш дохийна дӀадаьхна хилар а, цуьнан кевнаш дагийна хилар а бахьана долуш ду».</verse>
				<verse number="4">И хӀума сайна хезча, со, охьа а хиъна, вилхира. Масийтта дийнахь тийжа а тийжаш, марха а кхобуш, стигаларчу Далла хьалха доӀанаш дора аса.</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха сайн доӀанехь аса дийхира: «Ва Веза Эла, стигалийн Дела, сийлахь а, нах ларамах бузуьйтуш а волу Дела. Хьайн весеташ кхочушдеш болчаьрца Айхьа бина барт ларбо Ахь! Хьо везаш волчарна Хьайн хедар боцу безам а ма гойту Ахь!</verse>
				<verse number="6">Хьан лергаш ладугӀуш хуьлийла, Хьан бӀаьргаш схьабиллина хуьлийла дийнахь а, буса а, Хьайна хьалха Хьан лай долу Исраилан халкъ доьхуш доӀа деш волчу Хьайн лай волчу сан доӀа дӀахазахьа. Исраилхой долчу оха, со а, сан ден доьзал а цу чу а богӀуш, Хьуна дуьхьал летийначу къинойх лаьцна мукӀарло до аса.</verse>
				<verse number="7">Хьуна дуьхьал зуламениг леладора оха. Ахь Хьайн ялхо волчу Муса-пайхамарехула дӀаделла долу весеташ а, тӀедехкинарш а, парзаш а лар ца дора оха.</verse>
				<verse number="8">Хьайн ялхочуьнга Муса-пайхамаре Айхьа аьлларг дагадаийтахьара Ахьа Хьайна. Цуьнга Ахьа аьллера: „Нагахь санна шу тешаме ца хилахь, Аса шу кхечу къаьмнашна юкъахь дӀасадаржор ду.</verse>
				<verse number="9">Амма шу, Суна тӀе а дирзина, Сан весеташ тӀе а эцна, Аса бохург лардеш хилахь, шу дуьненан йисте дӀаэккхийна хилча а, Аса, цигара а схьа а гулдина, Сайна Ӏибадат дайта а, Со шуьца Ӏан а Айса схьахаьржинчу метте схьадалор ду“.</verse>
				<verse number="10">Исраилан халкъ — Хьан лай а, Хьан халкъ а ду, Ахьа Хьайн боккхачу ницкъаца а, ондачу куьйгаца а мах баккхарца паргӀатдаьккхина долу.</verse>
				<verse number="11">Ва Хьалдолу Эла, Хьан цӀеран сийдар хазахеташ волчу Хьан лай волчу сан а, Хьан леш болчу нехан а доӀанашка дикка ладогӀахьара Ахьа! Тахана аьтто бехьа сан, паччахь соьца къинхетаме а хуьлуьйтуш». Со паччахьан чагӀардуттург вара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу ткъолгӀачу шеран Нисан-баттахь паччахьна чагӀар чудеара. Аса и чагӀар, схьа а эцна, паччахье дӀакховдийра. Со гӀайгӀанехь вара. ХӀинца чул хьалха со паччахьна хьалха цкъа а цу тайпана цахиларна,</verse>
				<verse number="2">цо соьга хаьттира: «Хьан юьхь кхоьлина хӀунда ю? Могуш воцуш-м вац хьо? Суна гуш ма ду хьан дог гӀайгӀане хилар». Со чӀогӀа кхеравелира.</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха аса паччахье элира: «Паччахь гуттара а вехийла! ГӀайгӀанна сан юьхь кхоьлина муха хир яц, сан дай дӀабоьхкина йолу гӀала йохийна лаьтташ хилча, цу гӀалин кевнаш а дагийна хилча!»</verse>
				<verse number="4">ТӀаккха паччахьо соьга хаьттира: «Хьуна хӀун лаьара?» Айса жоп далале, аса стигаларчу Деле доӀа дира.</verse>
				<verse number="5">Цул тӀаьхьа аса паччахьна жоп делира: «Паччахьан лаам а хилахь, иза шен лай волчу суна реза а велахь, со ЯхӀуд-махка вахийтахьара цо. Сайн дайн къуббанаш йолчу гӀала а вахана, и гӀала юхаметтахӀоттор яра аса».</verse>
				<verse number="6">ТӀаккха шена уллохь зуда-паччахь а йолуш Ӏаш волчу паччахьо соьга хаьттира: «Некъана дукха хан оьший хьуна? Хьо юха маца вогӀур ву?» Аса сайна мел хан оьшу дӀааьлча, паччахь реза хилира со цига вахийта.</verse>
				<verse number="7">Аса паччахье кхин а элира: «Хьан лаам хилахь, аса доьху хьоьга, суна Эпрат-хина малхбузехьа йолчу меттигийн хьаькамашка яздина долу кехаташ далар, ЯхӀуд-махка со маьрша дӀакхачийтархьама.</verse>
				<verse number="8">Суна иштта паччахьан хьун карахь йолуш волчу Асайпе яздина долу кехат а оьшу, цуьнга суна Делан цӀа долчохь йолчу гӀопан кевнаш а, гӀалин пен а, со чохь Ӏийр волу цӀа а дан ханнаш далийта». Сан Дела Шен диканца соьца хилар бахьана долуш, паччахьо аса мел аьлла долу хӀума суна делира.</verse>
				<verse number="9">Эпрат-хина малхбузехьа долчу латтанаш тӀехь болу хьаькамаш болчу а вахана, цаьрга паччахьера долу кехаташ дӀаделира аса. Паччахьо соьца тӀемалойн хьаькамаш а, дошлой а бахкийтинера.</verse>
				<verse number="10">И хӀума шайна хезча, хьоронхо волу Санбулат а, Ӏамминхойн мехкада волу ТӀуби-ЯхӀу а чӀогӀа реза воцуш хьаьвзира. Царна ца дезаделира исраилхойх дог лозуш волу стаг ваьлла хилар.</verse>
				<verse number="11">Ярушалайме схьакхаьчначул тӀаьхьа, аса цигахь кхо де даьккхира.</verse>
				<verse number="12">Цул тӀаьхьа буьйсанна сайца масех стаг а волуш, со аравелира. Дала сайн дага чу диллина долу Ярушалайман дуьхьа айса дан луург цхьана а стаге ца дийцинера аса. Соьца цхьа а тайпана дийнат а дацара, со тӀехиъна йолу вир йоцург.</verse>
				<verse number="13">Иштта, буьйсанна со ТогӀин кевнал аравелира. Сайн вир Саьрмикан хьоста долчу дӀа а ерзийна, со сихха Кхеллин ков долчу дӀавахара. Ас Ярушалайман дохийна долу пенаш а, цӀарца дагийна долу цуьнан кевнаш а теллира.</verse>
				<verse number="14">Цул тӀаьхьа со Хьостан кевнна а, иштта Паччахьан Ӏома тӀе а вахара. Амма со цига улло тӀевахча, суна гира со сайн вирца цигахула дехьавалалур воцийла.</verse>
				<verse number="15">Оццу буьйсанна со, тогӀи чухула хьала а ваьлла, гӀалин пене хьаьжира. ТӀаккха со, юха а ТогӀин кевнна чухула а ваьлла, юхавирзира.</verse>
				<verse number="16">Цхьана а хьаькамна ца хиира, со мича вахана а, я ас хӀун леладо а. Я яхӀудхошка а, я динан дайшка а, я лоруш болчу нахе а, я хьаькамашка а, я балхана тӀехь дакъалоцун болчу кхиболчаьрга а аса хӀумма а дӀа ца хаийтинера.</verse>
				<verse number="17">Ткъа хӀинца аса цаьрга элира: «Шуна гуш бу-кх вайгахь болу бала. Ярушалайм хӀуй-пака а яьккхина лаьтташ ю, ткъа гӀалин кевнаш дагийна дӀадаьхна. Даха а гӀой, Ярушалайман пенаш юхаметтахӀиттаде вай. ТӀаккха вай хӀокху тайпана юьхьӀаьржа хир дацара».</verse>
				<verse number="18">Аса цу нахе дӀадийцира Дела Шен диканца сайца хилар а, сайга паччахьо аьлларг а. ТӀаккха цу наха элира: «Вай болх дӀаболо беза!» Иштта цара и хьанал болх дӀаболийра.</verse>
				<verse number="19">Амма хьоронхо волу Санбулат а, Ӏамминхойн мехкада волу ТӀуби-ЯхӀу а, Ӏаьрбихо волу ГӀишам а, шайна и хӀума дӀахезча, оха лелочух цабашарца буьйлуш бара. Цара бохура: «ХӀун ду аша лелориг? Шу паччахьна дуьхьалдовла гӀерташ ду?»</verse>
				<verse number="20">Амма аса, цу нахана жоп луш, элира: «Стигалахь волчу Дала аьтто бийр бу тхан. Делан леш долчу оха гӀала юхаметтахӀоттор дӀадолор ду. Ткъа шух лаьцна аьлча, заманашкара дуьйна а доьзалийн латтанаш дац шун Ярушалаймехь, иштта цигахь кхел ян а, Далла Ӏамал ян а бакъо яц шун!»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">Динан коьрта да волчу Элишуба а, динан дай болчу цуьнан гергарчара а, хьала а гӀевттина, УьстагӀийн ков юхаметтахӀоттийра. Цара, и ков Далла лерина хилийта къобал а дина, цуьнан неӀарш дӀахӀиттийра. Цу динан дайша Ярушалайман пен дӀахӀоттийра Меа цӀе йолчу бӀаьвнна тӀера Хьананиал цӀе йолчу бӀаьвнна тӀе кхаччалц. Цул тӀаьхьа цу гӀалин пенан дакъа Далла лерина хилийта къобалдира.</verse>
				<verse number="2">Динан дайшна уллохь гӀалин пен буттуш ерихонхой а бара. Ткъа царна уллохь гӀалин пен буттуш Имарин кӀант Закхур а вара.</verse>
				<verse number="3">ХӀасинаан кӀенташа ЧӀерийн ков юхаметтахӀоттийра. Ханнаш шайн метте охьа а дехкина, кевнан неӀарш кӀажаш тӀе а ехкина, царна догӀанаш а, гӀораш а дехкира цара.</verse>
				<verse number="4">Царна уллохь долу пенан дакъа УръяхӀун кӀанта Мармутис хьаладоьттира. УръяхӀу Къоцин кӀант вара. Берех-ЯхӀун кӀанта Машулима царна уллора пенан дакъа хьаладоьттира. Берех-ЯхӀу Маши-Забиалан кӀант вара. БаӀнин кӀанта ЦӀадукъас царна уллохь долу пенан дакъа дира.</verse>
				<verse number="5">ТакхоӀан бахархоша царна уллора пенан дакъа хьалахӀоттийра. Амма ТакхоӀан лоруш болчу наха кураллина шайн куьйгалхоша тӀедиллинчу гӀуллакхах куьг ца туьйхира.</verse>
				<verse number="6">Ишана цӀе йолу ков тодеш Писухьан кӀант ЯхӀу-ЯдаӀ а, Басуди-ЯхӀун кӀант Машулим а вара. Ханнаш шайн метте охьа а дехкина, неӀарш кӀажаш тӀе а ехкина, цу неӀаршна догӀанаш а, гӀораш а туьйхира цара.</verse>
				<verse number="7">Царна уллохь пенаш тодеш гавӀонхо волу Малти-ЯхӀу а, марунихо волу Ядун а вара. Царна гӀо дора ГавӀонарчу а, МицӀпарчу а бахархоша. (Ткъа Эпрат-хина малхбузехьа долчу латтанаш тӀехь волу мехкада МицӀпахь Ӏаш вара.)</verse>
				<verse number="8">Царна уллохь болх беш вара дашо пхьар волу ХьарихӀа-ЯхӀун кӀант Ӏузиал. Ткъа цунна уллохь болх беш вара хаза хьожа йогӀу хьакхарш а, духӀиш а кечдеш волу говзанча Хьанан-ЯхӀу. Шуьйра пен болчу кхаччалц гӀалин пенаш хьаладира цара.</verse>
				<verse number="9">Царна уллохь долу пенан дакъа тодира Хьоран кӀант волчу Рапи-ЯхӀус. Ярушалайман ахдекъан хьаькам вара иза.</verse>
				<verse number="10">Цунна уллохь пен тобеш вара Хьарумапин кӀант Яди-ЯхӀу. Цо шен цӀенна уллохь долу пенан дакъа тодира. Ткъа цунна уллохь долу дакъа Хьашбин-ЯхӀун кӀанта Хьатуша тодира.</verse>
				<verse number="11">Хьармин кӀанта Малки-ЯхӀус а, Пахьат-Муабин кӀанта Хьашубис а пенан важа долу дакъа тодира. Цу наха иштта Пешийн бӀов а тойира.</verse>
				<verse number="12">Царна уллохь долу дакъа тодира ХӀалухьешан кӀанта Шалума, цуьнан йоӀарша гӀо а деш. Ярушалайман вукху ахдекъан хьаькам вара иза.</verse>
				<verse number="13">ТогӀин ков тодеш вара Хьануни цӀе йолу стаг а, иштта Занухь-гӀалин бахархой а. Ков а дина, цуьнан неӀарш кӀажаш тӀе а ехкина, цу неӀаршна догӀанаш а, гӀораш а дехкира цара. Кхеллин кевнна тӀекхаччалц эзар дол барам болччул пенан дакъа а тодира цара.</verse>
				<verse number="14">Кхеллин ков Рахбин кӀанта Малки-ЯхӀус тодира. Малки-ЯхӀу Байт-КӀарам олучу меттиган хьаькам вара. Ков то а дина, неӀарш кӀажаш тӀе а ехкина, цу неӀаршна догӀанаш а, гӀораш а дехкира цо.</verse>
				<verse number="15">Кала-Хьозин кӀанта Шалума Хьостан ков тодира. Шалум МицӀпин хьаькам вара. И ков то а дина, цунна тӀехь тхов бира цо. Иштта, неӀарш кӀажаш тӀе а ехкина, цу неӀаршна догӀанаш а, гӀораш а дехкира цо. И хӀума ша дина ваьллачул тӀаьхьа, Шалума паччахьан бешахь болчу Селахь олучу Ӏомана уллохь болу гӀалин пен тобира, Даудан гӀалара охьавогӀучохь долу тӀегӀанашна тӀе кхаччалц.</verse>
				<verse number="16">Цунна тӀехьа долу пенан дакъа тодеш Ӏазбукъан кӀант Нахьми-ЯхӀу вара. Иза ша Байт-Цурин ахдекъана тӀехь хьаькам вара. Цо пен тобира Даудан къуббанашна дуьххьал йолчу меттиге кхаччалц а, иштта цигара дӀа охкуш баьккхина болчу Ӏомана тӀе кхаччалц а, цигара дӀа Турпалхойн цӀенна тӀе кхаччалц а.</verse>
				<verse number="17">Цунна тӀехьа пен тобеш левихой бара. Уьш Банин кӀентан Рахьиман куьйгаллица болх беш бара. Ткъа царна уллохь долу дакъа тодеш Хьашби-ЯхӀу вара. Иза КъаӀилан ахдекъана тӀехь хьаькам вара. Шен ахдекъера долчу адамашца пен тобеш вара иза.</verse>
				<verse number="18">Церан вежарша цунна уллохь долу дакъа а тодира. Уьш Хьенидадан кӀентан Бавайн куьйгаллина кӀелахь болх беш бара. Ткъа иза КъаӀилан шолгӀачу декъана тӀехь хьаькам вара.</verse>
				<verse number="19">ЮшаӀан кӀанта Эзара царна уллохь долу дакъа тодира, ткъа ша Эзар МицӀпана тӀехь хьаькам вара. Цо герз чохь долчу чоьнна тӀера дуьйна гӀалин пенан маьӀигна тӀе кхаччалц пен тобира.</verse>
				<verse number="20">Цунна уллохь Забайн кӀанта Баруха пенан дакъа тодира. Пенан маьӀиг тӀера коьрта динан да волчу Элишубан цӀенна тӀе кхаччалц долу пенан дакъа тодира цо.</verse>
				<verse number="21">Къоцин кӀентан УръяхӀун кӀант волчу Мармутис цунна уллохь долу дакъа тодира. Иза Элишубан цӀа чу воьдучу меттера дуьйна цуьнан цӀийнан маьӀигна тӀе кхаччалц йолу меттиг яра.</verse>
				<verse number="22">Цунна тӀехьа долу дакъа гӀалина гонах бехаш болчу динан дайша тодира.</verse>
				<verse number="23">Царна тӀехьа шайн цӀеношна дуьххьал долу пенан дакъа Бен-Ямана а, Хьашубис а тодира. Ӏанан-ЯхӀун кӀентан МаӀсей-ЯхӀун кӀанта Ӏазар-ЯхӀус шен цӀенна уллора дакъа тодира.</verse>
				<verse number="24">Цунна тӀехьа Хьенидадан кӀанта Бинуйс Ӏазар-ЯхӀун цӀенна тӀера дуьйна пен сеттачу метте кхаччалц а, цигара дӀа цуьнан маьӀиге кхаччалц а тобира пен.</verse>
				<verse number="25">Цунна тӀехьа Узайн кӀант Палали пен сеттачу меттигна дуьххьал пен тобеш вара. И меттиг бӀаьвнна уллохь яра, паччахьан лакхара цӀенош долчохь, цуьнан гӀаролхой Ӏаш болчу уьйтӀена генахь йоццуш. Цунна тӀаьхьа ПарӀушан кӀанта Пади-ЯхӀус а,</verse>
				<verse number="26">Ӏупалахь Ӏаш а болуш, Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болчу ялхоша а Хин кевнан малхбалехьа долу пенан дакъа тодира, пенна тӀера арайолучу бӀаьвнна тӀе кхаччалц.</verse>
				<verse number="27">Царна тӀехьа, пенна тӀера арайолучу йоккхачу бӀаьвнна тӀера Ӏупалан пенна тӀе кхаччалц долу важа дакъа такхоӀхоша тодира.</verse>
				<verse number="28">Динан дайша Говрийн кевнна тӀера долу пенан дакъа тодира. ХӀора динан дас шен цӀенна дуьххьал долу пенан дакъа тодира.</verse>
				<verse number="29">Царна тӀехьа ЦӀадукъин кӀанта Амира шен цӀенна дуьххьал болу пен тобира. Шихан-ЯхӀун кӀанта ШамӀа-ЯхӀус цунна уллохь долу дакъа тодира. ШамӀа-ЯхӀу малхбалехьа долчу кевнан хехо вара.</verse>
				<verse number="30">Цунна тӀехьа Шалам-ЯхӀун кӀант Хьанан-ЯхӀу а, Хьанунин йолхалгӀа волу кӀант Цалпи а важа дакъа тодеш вара. Царна тӀехьа Берех-ЯхӀун кӀант Машулим шен цӀенна дуьххьал долу пенан дакъа тодеш вара.</verse>
				<verse number="31">Цунна тӀехьа Малки-ЯхӀус Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болчу ялхоша а, йохкархоша а шаьш лелош долчу цӀенна тӀе кхаччалц долу дакъа тодира. И цӀа Мипкхад цӀе йолчу кевнна дуьхьал лаьтташ ду. Цигара дӀа цо иштта пенан маьӀӀехь йолчу чоьнна тӀе кхаччалц долу пенан дакъа тодира. Малки-ЯхӀу ша дашо пхьар вара.</verse>
				<verse number="32">Ткъа дашо пхьераша а, йохкархоша а пенан маьӀӀехь йолчу чоьнна тӀера дуьйна УьстагӀийн кевнна тӀе кхаччалц болу пен юхаметтахӀоттийра.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">Шена тхо Ярушалаймана гонах долу пенаш юхаметтахӀиттош ду аьлла дӀахезча, Санбулат, чӀогӀа оьгӀазвахана, карзахвелира. Иза яхӀудхойх кхарда волавелира.</verse>
				<verse number="2">Шен накъосташна а, шамранхойн эскархошна а хьалха цо элира: «ХӀун деш бу кхузахь и сий доцу жуьгтий? ХӀара гӀала юхаметтахӀотто билггал ойла йолуш бу уьш? Царна шаьш сагӀанаш дохур ду моьтту те? Царна шаьш и болх сиха бина девр ду моьтту те? Цаьрга чимашна а, хоттана а юккъера тӀулгаш денлур ма дац!»</verse>
				<verse number="3">Санбулатаца цхьаьна волчу Ӏамминхочо ТӀуби-ЯхӀус элира: «Жуьгташа меттахӀоттош ерг хӀун ю? Жима цхьогал тӀедаьлча а, бухур болуш ма бу церан пен».</verse>
				<verse number="4">Аса, Деле доӀа а деш, элира: «Ва тхан Дела, сийсаза а дохуш, цара тхох лаьцна аьлларг дӀахазахьара Хьуна тхан доӀанехь. Шаьш тхох кхаьрдинарг царна дуьхьал даккхахьара Ахьа. Хийрачу махка чу, хӀонс санна, йийсаре а бигна, юьхьӀаьржачу хӀиттабехьа уьш!</verse>
				<verse number="5">Царна тӀера бехк дӀа а баьккхина, Хьайна хьалха цара летийначу къиношна геч ма дахьара Ахьа, хӀунда аьлча цара пен беш болу нах сийсазбаьхна».</verse>
				<verse number="6">Ткъа тхо гӀалин пенаш деш дара. И берриг а пен нийсса ах хьалабина а девлира, хӀунда аьлча цигахь мел верг а даггара болх беш вара.</verse>
				<verse number="7">Санбулат, ТӀуби-ЯхӀу, Ӏаьрбихой, Ӏамминхой, ашдодхой чӀогӀа оьгӀазбахара Ярушалаймехь гулбелла болчу нахана, гӀалина гонахара болу пен то а беш, цу пенах даьхна долу Ӏуьргаш дӀа а дукъуш, уьш болх беш бу аьлла шайна дӀахезча.</verse>
				<verse number="8">Цара шайна юкъахь барт бира тӀамца Ярушалаймана тӀелата а, гӀалин нах карзахбаха а.</verse>
				<verse number="9">Тхо тхайн Деле доӀанаш деш дара. Оха пенаш тӀе гӀаролхой хӀиттийнера, цаьрга, дийнахь а, буьйсанна а гӀарол а деш, тхо мостагӀех лардайта.</verse>
				<verse number="10">ЯхӀудхоша мукъам бора: «Киранчийн ницкъ лахбелла, дӀакхоьхьу нехаш дукха хиларна, пен юхаметтахӀотто тхан ницкъ бац».</verse>
				<verse number="11">Тхох кхаьрдаш болчу мостагӀаша бохура: «Жуьгташна, тхо ган а гина, довзале, тхо царна юкъахь хир ду. Оха уьш хӀаллакбийр бу, цул тӀаьхьа болх а сацор бу».</verse>
				<verse number="12">Тхан мостагӀашна уллохь Ӏаш болчу яхӀудхоша тхоьга уьттазза элира: «Массо а маьӀӀера мостагӀий вайна тӀелетар бу».</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха аса пенан уггар лахарчу а, ледарчу а меттигашкахь нах дӀахӀиттийра. Шайн-шайн доьзалийн раьгӀнашкахь дӀахӀиттийна бара уьш, карахь тарраш а, гоьмукъаш а, секхаӀедаш а долуш.</verse>
				<verse number="14">Гонах а хьаьжна, лоруш болчу нахе а, хьаькамашка а, кхин болчу нахе а вистхилира со. Аса элира: «Вайн мостагӀех шу ма кхералаш. Хьалдолу Эла сийлахь а, кхерамах дузуьйтуш а вуйла шайна дагадаийта! Аша, шайн вежарий а, кӀентий а, йоӀарий а ларбеш, тӀом бан беза! Шу шайн зударий а, шайн цӀенош а лардеш тӀом беш хила деза!»</verse>
				<verse number="15">Шаьш дан леринарг тхуна хууш хилар а, Дала шайн барт бохийна хилар а тхан мостагӀашна дӀахиъча, тхо гӀалин пен болчу юхадирзира, хӀора шен-шен балха тӀе.</verse>
				<verse number="16">16-17 ХӀетахь дуьйна схьа сан белхалойх ах йолу тоба пенна тӀехь болх беш яра, ткъа вуьш шайн карахь гоьмукъаш а, турсаш а, секхаӀедаш а долуш, тӀедуьйхина гӀаьгӀнаш а долуш ха деш бара. Пенаш деш болчу ЯхӀудан нахана тӀехьа тӀеман хьаькамаш бара лаьтташ. Ткъа коьчал яхьаш берш цхьана куьйгаца болх беш бара, ткъа церан вукху куьйгахь гоьмукъ бара.</verse>
				<verse number="17">***</verse>
				<verse number="18">Болх бечу хенахь пенаш тодеш волчу хӀора стеган хаьн тӀехь кхозуш тур дара. Ткъа суна уллохь коьман маӀа карахь йолу зурманча вара лаьтташ.</verse>
				<verse number="19">Лоруш болчу нахе а, тӀеман хьаькамашка а, иштта кхин долчу адамашка а аса элира: «Вай беш берг боккха болх бу. Пенан бохаллехь дукха дӀасадаьржина вай, вовшашна гена а девлла.</verse>
				<verse number="20">Цундела шайна коьман маӀан аз хезначу метте схьагулдала деза шу. Цигахь массо а вовшахкхетар ду вай. Вайн Дела вайгахьа тӀом беш хир ву!»</verse>
				<verse number="21">Иштта болх беш дара тхо: тхох ах долу дакъа кара гоьмукъ а лаьцна лаьтташ дара, ткъа вуьш пенна тӀехь болх беш бара, Ӏуьйранна сатоссучу хенахь дуьйна стигалара седарчий гучудовллалц.</verse>
				<verse number="22">Цу хенахь аса халкъе дӀахьедира: «Берриг а нах шайн гӀоьнчашца цхьаьна Ярушалаймехь буьйса йоккхуш хила беза, буьйсанна цаьрга гӀалина ха дайтархьама а, дийнахь гӀалин пен боттийтархьама а», — аьлла.</verse>
				<verse number="23">Тхоьца болчарах цхьаммо а буьйсанна шайна тӀера бедарш дӀа ца йохура: я аса а, я сан ялхоша а, я гӀаролехь болчу наха а. ХӀоранна а уллохь шен герз дара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">Юха, нахана юкъара божарий а, церан зударий а, шайн хьалдолчу гергарчу яхӀудхошна реза боцуш, даккхий аьрзнаш дан буьйлабелира.</verse>
				<verse number="2">Царах цхьаболчара бохура: «Тхан дукха бераш хиларна, оха кӀа эца деза, хӀума яархьама а, дийна дисархьама а».</verse>
				<verse number="3">Цхьаццаболчара бохура: «Тхо тхайн кхаш а, кемсийн бошмаш а, тхайн цӀенош а закъалтан метта дӀаяла дезаш ду, мацалла тӀееача, тхайна кӀа эцархьама».</verse>
				<verse number="4">Ткъа вукхара бохура: «Оха нахера юхалург ахча эца дезара, тхайн кхашна а, кемсийн бошмашна а тӀера паччахьна ял дӀаялархьама.</verse>
				<verse number="5">Тхо схьадевлла къам тхан вежарий схьабевлларг ду. Тхан кӀентий а церан кӀентий санна дика бу. Амма тхо тхайн кӀентий а, йоӀарий а лолла дӀадала дезаш ду. Цхьадолу тхан зудабераш хӀинца а лоллехь делахь а, тхан йиш яц уьш паргӀатбаха, хӀунда аьлча тхан кхаш а, кемсийн бошмаш а кхечеран карахь ю».</verse>
				<verse number="6">Церан хамталла а, цара дуьйцург а сайна хезча, со чӀогӀа оьгӀазвахара.</verse>
				<verse number="7">Цунах лаьцна сан дага чохь дикка ойла а йина, лоруш болчу нахана а, куьйгалхошна а тӀе бехк биллира ас: «Шайн къомах волчунна юхалург деллачу ахчанна тӀера ял йоккху аша!» — аьлла. Цара лелийначунна дуьхьал цхьана боккхачу гуламе нах схьакхайкхира аса.</verse>
				<verse number="8">Цаьрга ас элира: «Вайн вежарий болу яхӀудхой кхечу къаьмнашна боьхкина бара. Вай ма-хуьллу уьш мах белла юха схьабаха гӀерташ лийлира. Ткъа шу юха а уьш леш санна шайн къомах болчарна бухкуьйтуш ду!» Тхьамданаш, ала хӀума а доцуш, лаьтташ бара.</verse>
				<verse number="9">Ткъа аса юха а цаьрга элира: «Аша дийриг нийса дац. Деле болчу ларамах дуьзна а долуш, дахарехь лела ца деза шу, вайн мостагӀий болчу кхечу къаьмнех берш вайх ца кхардийтархьама?!</verse>
				<verse number="10">Аша санна, аса а, сан вежарша а, соьца цхьаьна болчара а цаьрга юхалург ахча а, кӀа а лора. Ткъа хӀинца дерриг а декхарх уьш паргӀатбаха вай.</verse>
				<verse number="11">Аша хӀинццехь церан кхаш а, кемсийн бошмаш а, зайт-диттийн бошмаш а, цӀенош а царна юхадерзо деза. Иштта юхаяла еза шаьш цаьргара ахчанна а, кӀена а, чагӀарна а, зайтдаьттанна а тӀера яьккхина йолу ял а!»</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха хьал долуш болчу наха а, хьаькамаша а элира: «Оха массо хӀума а царна юхалур ду, кхин цаьргара хӀума а йоккхур яц. Ахьа аьлларг кхочушдийр ду оха». ТӀаккха аса динан дайшка схьакхайкхира. Аса хьал долуш болчу нахе а, хьаькамашка а Далла хьалха чӀагӀо яйтира, уьш шаьш аьллачунна тӀера бевр бац аьлла.</verse>
				<verse number="13">Сайн некха тӀе уллу тӀоьрмаг охьа а бегийна, аса элира: «Иштта Дала а охьавегавойла Шена уллора а, Шен цӀен тӀера а массо а ша делла долу дош лардеш воцу стаг. Иштта охьавегийна а, ваьсса а хуьлийла и стаг!» Цигахь гулбеллачара массара а «Амин!» элира, Везачу Элана хастамаш а бира. Ткъа куьйгалхоша шайн дош кхочуш а дира.</verse>
				<verse number="14">Кхин цхьа хӀума а ду: со ЯхӀуд-махкахь хьаькам лаьттинчу массо а хенахь я аса а, я сан гергарчара а лакхарчу хьаькамна латтош болу кхача ца биира. Со ЯхӀуд-махкахь шийтта шарахь хьаькам лаьттина, Артахь-Шаштан паччахьаллехь хиллачу ткъолгӀачу шарна тӀера ткъе шуьйтталгӀачу шарна тӀе кхаччалц.</verse>
				<verse number="15">Сол хьалха хиллачу лакхарчу хьаькамаша нах чӀогӀа холчу хӀиттийна хилла, цаьргара хӀора дийнахь шовзткъа шекхал дети эцна а ца Ӏаш, кхин а ялта а, чагӀар а доккхуш хилла цара. Церан ялхоша а деш хилла халкъана тӀехь олалла. Амма со Деле болчу ларамах вуьзна хиларна, и тайпа хӀума аса сайгара ца долуьйтура.</verse>
				<verse number="16">Со Ярушалаймана гонахарчу пенна тӀехь мало ца еш болх беш вара. Аса цхьаьнггара а латта ца оьцура, ткъа сан массо а ялхо цигахь болх бан схьагуллуш вара.</verse>
				<verse number="17">Цул сов, аса кхобуш цхьа бӀе шовзткъе итт яхӀудхо а, куьйгалхо а вара. Уьш, гонахарчу къаьмнех болу тӀебаьхкина нах ца лерича а, оццул бара.</verse>
				<verse number="18">Сан шуьне гулбеллачарна цхьана дийнахь кечъеш ерг яра: цхьа сту а, тоьлла болу ялх уьстагӀ а, тайп-тайпана долу зӀакардаьхни а. Итт де дӀа мосазза долу, сан шуьне тайп-тайпана долу чагӀар а тӀекхоьхьура. Делахь а аса цкъа а халкъана тӀе ца дожадора сайна лакхарчу хьаькамна латтош болу кхача латтабе бохуш, хӀунда аьлча халкъана тӀехь лаьтташ ерг иштта а хала киртиг яра.</verse>
				<verse number="19">Ва сан Дела! Суна диканна ларий, дагахь латтадехьа аса хӀара халкъ бахьана долуш динарг.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="6">
				<verse number="1">Санбулатана а, ТӀуби-ЯхӀуна а, Ӏаьрбихо волчу ГӀишамана а, иштта кхечу тхан мостагӀашна а дӀахиира, тхан мостагӀашна а дӀахиира, оха, гӀалин пен юхаметтахӀоттинийла а, пенах даьхначу Ӏуьргех дӀадукъаза цхьа а ца дисийла. Бакъду, оха хӀинца а кевнаш чу йогӀу неӀарш дӀа ца хӀиттийнера.</verse>
				<verse number="2">ТӀаккха Санбулата а, ГӀишама а соьга хабар даийтира: «Схьавола, вовшахкхетар ду вай Овну-тогӀерачу цхьана юьртахь». Цара суна зулам дан барт бинера.</verse>
				<verse number="3">Аса цаьрга хабар дӀаэцна сайн геланчаш бахийтира: «Со цхьа доккха гӀуллакх деш мукъа вац, цундела сан шу долчу охьавосса йиш яц. И гӀуллакх юкъахдер дара, со иза дитина шу долчу охьаваьллехьара», — аьлла.</verse>
				<verse number="4">Доьазза нах тӀебахийтира цара и хабар дахьаш, ткъа аса уьш мосазза богӀу, хьалха санна, царна дуьхьал хабар дохьуьйтура.</verse>
				<verse number="5">Иштта Санбулата пхоьазлагӀа шен ялхо ваийтира, карахь мухӀар тохаза долу кехат а долуш.</verse>
				<verse number="6">Кехата тӀехь яздина дара: «Гонахарчу къаьмнашна юкъахь лелаш цхьа хабарш ду — ткъа ГӀишама дуьйцу уьш бакъ хилар — хьо яхӀудхошца цхьаьна гӀатта кечлуш ву бохуш. Цундела хьалабеш бу боху аша Ярушалайман пен. Хьо яхӀудхойн керла паччахь хир волуш ву а боху наха.</verse>
				<verse number="7">Ахьа пайхамарш а дӀахӀиттийна, цаьрга Ярушалаймехь халкъе, „ХӀара ву яхӀудхойн паччахь“ аьлла, хаам байта. И тайпа хабарш паччахьах дӀакхетар ду хьуна. Цундела кхуза схьавола, вовшех дагадевр ду вай».</verse>
				<verse number="8">Аса Санбулате хабар дахьийтира: «Ахьа бохуш долу цхьа а хӀума бакъ дац. И хабар ахьа хьайгара дуьйцуш ду», — аьлла.</verse>
				<verse number="9">Тхан мостагӀий тхо кхеро гӀерташ бара. Царна моьттура: «ЯхӀудхой, куьйгаш гӀел а делла, болх бечуьра совцур бу, цундела пен бина а бер бац». Амма аса сайн доӀанна тӀехь доьхура: «ЧӀагӀдехьа сан куьйгаш!» — бохуш.</verse>
				<verse number="10">Цхьана дийнахь Ма-ХӀайтӀабалан кӀентан Дали-ЯхӀун кӀант ШамӀа-ЯхӀу волчу вахара со. Цуьнан шен цӀа чуьра аравала йиш яцара. Цо соьга элира: «Делан цӀийнан кертахь долчу дезачу цӀа чу гӀо вайшиъ, ваьшшина тӀаьхьара неӀ дӀа а къовлуш, хӀунда аьлча хьо вен богӀур бу. Билггал, буьйсанна хьо вен богӀур болуш бу».</verse>
				<verse number="11">Амма аса ШамӀа-ЯхӀуга элира: «Со санна волу стаг вада везий те? Я со санна волу стаг Делан цӀа чу шен са кӀелхьардаккхархьама ваха везий те? Со цу чу гӀур вац!»</verse>
				<verse number="12">Суна хаьара ШамӀа-ЯхӀу Делера болу хаам беш воцийла. Цо суна дуьхьал болу хаам бора, ша ТӀуби-ЯхӀуссий, Санбулатий эцна хиларх терра.</verse>
				<verse number="13">Цара ШамӀа-ЯхӀу лаьцнера, со кхеро дагахь. Со кхера а вина, соьга къа а латадайтина, Делан цӀа чу со дӀалачкъа вахийта гӀерташ бара уьш. ТӀаккха сан мостагӀийн со юьхьӀаьржачу хӀотто йиш хир яра.</verse>
				<verse number="14">Аса доӀа дира: «Сан Дела, ТӀуби-ЯхӀуй, Санбулаттий дага а ваийтий, цара мел динарг бахьана долуш царна кхел яхьара Ахьа. Иштта, шегахь Делера хаам болуш йолу НуӀад-ЯхӀу а, кхиболу со кхераван арабевлла болу пайхамарш а дагабаийтахьара Ахьа Хьайна».</verse>
				<verse number="15">Ярушалаймана гонах болу пен Алул-беттан ткъе пхоьалгӀачу дийнахь бина белира. И болх шовзткъе шийтта дийнахь бинера цара.</verse>
				<verse number="16">Тхуна гонах болчу а, тхан мостагӀий болчу а массо а къаьмнашна иза дӀахиъча, уьш кхера а белира, цара шайх болу тешам а байира, хӀунда аьлча уьш кхийтира и болх оха тхайн Делан гӀоьнца бина хиларх.</verse>
				<verse number="17">Цу деношкахь ЯхӀуд-махкарчу лоруш болчу наха дукха кехаташ кхоьхьуьйтура ТӀуби-ЯхӀуга, ткъа ТӀуби-ЯхӀугара кехаташ цаьрга а кхочура.</verse>
				<verse number="18">ЯхӀудхойх дукхахболчара, цунна тешаме хир бу аьлла, чӀагӀо йинера, хӀунда аьлча ТӀуби-ЯхӀу Арахьин кӀентан Шихан-ЯхӀун нуц вара, ткъа ТӀуби-ЯхӀун кӀанта ЯхӀу-Хьанас Берех-ЯхӀун кӀентан Машулиман йоӀ ялийнера.</verse>
				<verse number="19">Цу наха соьга ТӀуби-ЯхӀу хестош къамелаш дора, ткъа аса мел аьлларг ТӀуби-ЯхӀуга дӀадуьйцура. Ткъа ТӀуби-ЯхӀу, со кхеро дагахь, соьга кехаташ кхоьхьуьйтуш вара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="7">
				<verse number="1">ГӀалин пен бина а баьлла, ас кевнийн неӀарш дӀахӀиттийна евлча, гӀалин кевнашкара гӀаролхой а, илланчаш а, левихой а шайн-шайн гӀуллакхашна къобалбира.</verse>
				<verse number="2">Сайн ваша Хьанани а, гӀопан хьаькам волу Хьанан-ЯхӀу а ас къобалвира Ярушалаймана тӀехь урхалла дан. Хьанан-ЯхӀу ас хаьржинера, хӀунда аьлча иза тешаме а, Деле дукхахболчарал сов ларамах вуьзна а волу дела.</verse>
				<verse number="3">Цул тӀаьхьа цу шинга аса элира: «ГӀалин кевнаш шаьш схьаделлале, малх къеггина схьакхетталц собардан деза аша. Ткъа кевнаш дӀачӀагӀдан а, царна тӀе ханнаш дӀахӀитто а деза, гӀарол дина бовлале. ГӀарол дан Ярушалайман бахархой харжа. Цхьаберш шайн метте дӀахӀиттабе, ткъа вуьш шайн-шайн цӀеношна дуьххьал дӀахӀиттабе».</verse>
				<verse number="4">ГӀала йоккха а, шена чохь шортта меттиг йолуш а яра, ткъа адам цигахь кӀезиг дара, дуккха а цӀенош хӀинца а дина дацара.</verse>
				<verse number="5">Дала сан даг чохь ойла кхоьллира, лоруш болу нах а, хьаькамаш а, кхидолу массо а халкъ схьа а гулдина, уьш массо а дӀаязбан беза аьлла, хӀунда аьлча суна схьакарийнера дуьххьара юхабирзинарш дӀаязбина долу тептарш. Царна тӀехь дӀаяздина дара:</verse>
				<verse number="6">«ХӀорш бу цу мехкан массо а маьӀӀера болу йийсарера юхабаьхкина болу нах. Бавеларчу паччахьо Набухди-Нецара уьш Бавеле йийсаре дӀабигна хилла, ткъа хӀинца уьш Ярушалайме а, ЯхӀуд-махка а хӀора шен-шен гӀала юхабирзина.</verse>
				<verse number="7">Оцу нехан куьйгалхой бара: Зурбабел, ЮшаӀ, Нахьми-ЯхӀу, Ӏазар-ЯхӀу, РаӀам-ЯхӀу, Нахьмани, Мардахай, Билшан, Миспарти, БигӀвай, Нехьум, БаӀна. ХӀорш ю юхабирзинчу исраилхойн цӀераш:</verse>
				<verse number="8">ПарӀушан тӀаьхьенах берш — ши эзар цхьа бӀе кхузткъе шийтта стаг (2172);</verse>
				<verse number="9">Шапат-ЯхӀун тӀаьхьенах берш — кхо бӀе кхузткъе шийтта стаг (372);</verse>
				<verse number="10">Арахьин тӀаьхьенах берш — ялх бӀе шовзткъе шийтта стаг (652);</verse>
				<verse number="11">Пахьат-Муабин тӀаьхьенах болчу ЮшаӀан а, Йоабан а доьзалшкара — ши эзар бархӀ бӀе берхӀитта стаг (2818);</verse>
				<verse number="12">Ӏейламан тӀаьхьенах берш — цхьа эзар ши бӀе шовзткъе вейтта стаг (1254);</verse>
				<verse number="13">Затун тӀаьхьенах берш — бархӀ бӀе шовзткъе пхиъ стаг (845);</verse>
				<verse number="14">Закайн тӀаьхьенах берш — ворхӀ бӀе кхузткъа стаг (760);</verse>
				<verse number="15">Бинуйн тӀаьхьенах берш — ялх бӀе шовзткъе бархӀ стаг (648);</verse>
				<verse number="16">Бебайн тӀаьхьенах берш — ялх бӀе ткъе бархӀ стаг (628);</verse>
				<verse number="17">ӀазгӀадин тӀаьхьенах берш — ши эзар кхо бӀе ткъе шиъ стаг (2322);</verse>
				<verse number="18">Адуникхаман тӀаьхьенах берш — ялх бӀе кхузткъе ворхӀ стаг (667);</verse>
				<verse number="19">БигӀвайн тӀаьхьенах берш — ши эзар кхузткъе ворхӀ стаг (2067);</verse>
				<verse number="20">Ӏадин тӀаьхьенах берш — ялх бӀе шовзткъе пхийтта стаг (655);</verse>
				<verse number="21">Атарин тӀаьхьенах волчу Хьузакх-ЯхӀун доьзалера — везткъе берхӀитта стаг (98);</verse>
				<verse number="22">Хьашуман тӀаьхьенах берш — кхо бӀе ткъе бархӀ стаг (328);</verse>
				<verse number="23">Бецайн тӀаьхьенах берш — кхо бӀе ткъе виъ стаг (324);</verse>
				<verse number="24">Хьарипан тӀаьхьенах берш — цхьа бӀе шийтта стаг (112);</verse>
				<verse number="25">ГавӀонан тӀаьхьенах берш — везткъе пхийтта стаг (95).</verse>
				<verse number="26">Байтлахам-гӀалара а, НатӀупат-гӀалара а болчу бахархойх — цхьа бӀе везткъе бархӀ стаг (188);</verse>
				<verse number="27">Ӏанатот-гӀаларчу бахархойх — цхьа бӀе ткъе бархӀ стаг (128);</verse>
				<verse number="28">Байт-Ӏазмавтара — шовзткъе шиъ стаг (42);</verse>
				<verse number="29">Кхиръят-ЯӀаримера а, Капира-гӀалара а, Баировт-гӀалара а болу бахархой — ворхӀ бӀе шовзткъе кхоъ стаг вара (743);</verse>
				<verse number="30">Рама-гӀалара а, ГибаӀ-гӀалара а болчу бахархойх — ялх бӀе ткъе цхьаъ стаг вара (621);</verse>
				<verse number="31">Михмасерчу бахархойх — цхьа бӀе ткъе шиъ стаг вара (122);</verse>
				<verse number="32">Бетал-гӀалара а, ГӀай-гӀалара а болчу бахархойх — цхьа бӀе ткъе кхоъ стаг вара (123);</verse>
				<verse number="33">Набу-гӀаларчу бахархойх — шовзткъе шийтта стаг вара (52);</verse>
				<verse number="34">Ӏейламан тӀаьхьенах берш — цхьа эзар ши бӀе шовзткъе вейтта стаг вара (1254);</verse>
				<verse number="35">Хьармин тӀаьхьенах берш — кхо бӀе ткъа стаг вара (320);</verse>
				<verse number="36">Ерихонан бахархойх — кхо бӀе шовзткъе пхиъ стаг вара (345);</verse>
				<verse number="37">Лодди-юьртара а, Хьадидара а, Овну-гӀалара а болу бахархой — ворхӀ бӀе ткъе цхьаъ стаг вара (721);</verse>
				<verse number="38">Саниара болу бахархой — кхо эзар исс бӀе ткъе итт стаг вара (3930);</verse>
				<verse number="39">Динан дай: ЮшаӀан цӀийнах волчу Яди-ЯхӀун тӀаьхьенах болу нах — исс бӀе кхузткъе кхойтта стаг вара (973);</verse>
				<verse number="40">Амиран тӀаьхьенах берш — цхьа эзар шовзткъе шийтта стаг вара (1052);</verse>
				<verse number="41">Пашихьуран тӀаьхьенах берш — цхьа эзар ши бӀе шовзткъе ворхӀ стаг вара (1247);</verse>
				<verse number="42">Хьармин тӀаьхьенах берш — цхьа эзар вуьрхӀитта стаг вара (1017);</verse>
				<verse number="43">Левихойн тайпанах болу нах: ЮшаӀан а, Кхадмиалан а, ХӀудавин а доьзалшкара — кхузткъе вейтта стаг вара (74);</verse>
				<verse number="44">Илланчаш: Асайпан тӀаьхьенах берш — цхьа бӀе шовзткъе бархӀ стаг вара (148);</verse>
				<verse number="45">Делан цӀийнан кевнехь гӀаролхойн тӀаьхьенах берш: Шалуман а, Атарин а, ТӀулманан а, Ӏакхубин а, Хьататин а, Шубайн а тӀаьхьенах берш — цхьа бӀе ткъе берхӀитта стаг (138);</verse>
				<verse number="46">Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болчу ялхойн тӀаьхьенах берш: Цихьин а, Хьашупин а, ТабуӀатин а,</verse>
				<verse number="47">Кхейрусан а, СиӀин а, Падунан а,</verse>
				<verse number="48">Либанин а, ХьагӀабин а, Шалмайн а,</verse>
				<verse number="49">Хьананан а, Гидалан а, Гахьарин а,</verse>
				<verse number="50">Раи-ЯхӀун а, Рицанан а, Накхудин а,</verse>
				<verse number="51">Газамин а, Ӏузин а, Писухьан а,</verse>
				<verse number="52">Бесайн а, МуӀаниман а, Напу-Шасиман а,</verse>
				<verse number="53">Бакхбукъан а, Хьакъупин а, Хьархьуран а,</verse>
				<verse number="54">Бацултин а, Махьдин а, Хьарашин а,</verse>
				<verse number="55">Баркусин а, Сисрин а, Тамухьан а,</verse>
				<verse number="56">Нацухьан а, Хьатапин а тӀаьхьенех берш.</verse>
				<verse number="57">Сулим-паччахьан ялхой хиллачеран тӀаьхьенех берш: Сутайн а, Супартин а, Парудин а,</verse>
				<verse number="58">ЯӀлин а, Даркхунин а, Гидалан а,</verse>
				<verse number="59">Шапат-ЯхӀун а, Хьатилан а, Пукрати-ХӀацубайман а, Аминан а тӀаьхьенах берш.</verse>
				<verse number="60">Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болчу ялхойн а, Сулим-паччахьан ялхойн а тӀаьхьенах берш а шаберш кхо бӀе везткъе шийтта (392) стаг вара.</verse>
				<verse number="61">Цхьаболу нах Ярушалайме Тал-Маликера а, Тал-Хьаршара а, Каруб-гӀалара а, Адан-гӀалара а, Амир-гӀалара а баьхкинера. Амма цу нехан аьтто бацара, шаьш Исраилан халкъах схьадевлла ду аьлла, шайна гонах берш тешо:</verse>
				<verse number="62">Дали-ЯхӀун а, ТӀуби-ЯхӀун а, Накхудин а тӀаьхьенех берш — ялх бӀе шовзткъе шиъ стаг вара (642).</verse>
				<verse number="63">Динан дайн доьзалшкара цигахь бара: Хьаби-ЯхӀун, Къоцин а, Барзалайн а тӀаьхьенех берш. (И тӀаьхьарниг Барзалай цӀе тиллина вара, хӀунда аьлча ГалӀадарчу Барзалайн йоӀ ялийнера цо, ткъа цул тӀаьхьа цо и цӀе шениг санна лорура).</verse>
				<verse number="64">И нах доьзалийн тептарш тӀехь шайн цӀераш лоьхуш бара, амма царна уьш ца карайора. Цундела уьш динан дай санна тӀе ца ийцира.</verse>
				<verse number="65">ЯхӀудан мехкадас цкъачунна Далла сагӀина баьккхина беза кхача баар ца магийнера царна, коьрта динан да, схьа а веана, Урим а, Тумим а олучу дезачу тӀулгех Деле хӀун дан деза аьлла хатталц.</verse>
				<verse number="66">Йийсарера юхайирзинчу тобанна юкъахь верриг а шовзткъе шиъ эзар кхо бӀе кхузткъа стаг вара,</verse>
				<verse number="67">царна юкъара леш ца лерича. Ткъа уьш ворхӀ эзар кхо бӀе ткъе вуьрхӀитта лай а, гӀарбаш а яра. Кхин а цаьрца зударех а, божарех а волу ши бӀе шовзткъе пхиъ илланча а вара.</verse>
				<verse number="68">Цаьргахь ворхӀ бӀе ткъе ялхитта говр а, ши бӀе шовзткъе пхиъ говр-бӀарза а,</verse>
				<verse number="69">йиъ бӀе ткъе пхийтта эмкал а, ялх эзар ворхӀ бӀе ткъа вир а яра.</verse>
				<verse number="70">Цхьаболчу доьзалийн дайша цу балхана лерина совгӀаташ делира. ЯхӀудан мехкадас хазни чу цхьа эзар дешин дарик-ахча а, шовзткъе итт беза кад а, пхи бӀе ткъе итт динан дайша тӀеюхуш йолу бедарш а елира.</verse>
				<verse number="71">Кхиболчу доьзалийн дайша хазни чу балхана лерина ткъа эзар дарик-ахчанан барамехь долу деши а, ши эзар ши бӀе мин дети а делира.</verse>
				<verse number="72">Бисинчара кхин а ткъа эзар дарик-ахча а, ши эзар мин дети а, кхузткъе ворхӀ динан дайша тӀеюхуш йолу бедарш а елира.</verse>
				<verse number="73">Иштта динан дай а, левихой а, Делан цӀийнан кевнехь болу гӀаролхой а, илланчаш а, халкъана юкъара цхьаберш а, Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болу ялхой а — Исраилан массо а халкъ — шайн-шайн гӀаланашкахь баха хевшира».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="8">
				<verse number="1">Шеран ворхӀалгӀа бутт тӀекхачале, дерриг а Исраилан халкъ шайн гӀаланашкахь охьахевшича, массо а исраилхой Хин кевнна хьалха йолчу майдане схьагулбелира. Цара Ӏелам стаг волчу Ӏезаре дехар дира, Везачу Эло Муса-пайхамарехула Исраилан халкъана тӀебиллина болу товрат-хьехамаш тӀехь болу тептар схьада аьлла.</verse>
				<verse number="2">Ӏезара схьагулбеллачарна товрат-хьехамаш тӀехь болу тептар схьадеара. Иза шеран ворхӀалгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь дара. Схьагулбеллачарна юкъахь зударий а, божарий а, шайга дуьйцург дӀаэца кхетам болуш долу бераш а дара.</verse>
				<verse number="3">Ӏуьйранна дуьйна де делкъе даллалц Ӏезар, Хин кевнна хьалхахь йолчу майданна дуьхьал вирзина а лаьтташ, массо а божаршна а, зударшна а, иштта массо а ша дуьйцург кхеташ болчу нахана а товрат-хьехамаш тӀехь болу тептар доьшуш вара. Дерриг а адам товрат-хьехамашка чӀогӀа леррина ладугӀуш дара.</verse>
				<verse number="4">Иза цу гӀуллакхна лерина йина йолчу дечиган лакхенна тӀе а ваьлла лаьтташ вара. Цунна аьтто агӀор лаьтташ Матит-ЯхӀу а, ШемаӀ а, Ӏани-ЯхӀу а, УръяхӀу а, Хьалкхи-ЯхӀу а, МаӀсей-ЯхӀу а вара, ткъа аьрру агӀор лаьтташ Пади-ЯхӀу а, Мишаал а, Малки-ЯхӀу а, Хьашум а, Хьашба-Дана а, Закри-ЯхӀу а, Машулим а вара.</verse>
				<verse number="5">Ӏезара тептар схьадиллира. Халкъал лекха йолчу лакхенгахь лаьтташ хиларе терра, Ӏезар массарна а дика гуш вара. Цо тептар схьадоьллушехь, массо а адам хьалагӀаьттира.</verse>
				<verse number="6">Ӏезара декъал вира Воккха Дела волу Веза Эла. Дерриг а халкъо, шайн куьйгаш стигала хьала а дохуьйтуш: «Амин!» элира. Цул тӀаьхьа, шайн яххьаш лаьтта кхаччалц охьа а таӀийна, Везачу Элана Ӏибадат дора цара.</verse>
				<verse number="7">Адамаш юха хьалагӀевттича, левихоша царна товрат-хьехамаш туьдура. Цу левихошна юкъахь бара: ЮшаӀ, Бани, Шараб-ЯхӀу, Ямин, Ӏакхуби, Шабитай, ХӀуди-ЯхӀу, МаӀсей-ЯхӀу, Кхилати, Ӏазар-ЯхӀу, Юзабди, Хьанан, Пали-ЯхӀу.</verse>
				<verse number="8">Цу левихоша, Делан товрат-хьехамаш тӀехь болчу тептар тӀера дешнаш билгал а дохуш, уьш тидархьама, царна гочдора, адамаш шайна дӀадешначух кхоьтуьйтуш.</verse>
				<verse number="9">Цул тӀаьхьа мехкада волчу Нахьми-ЯхӀус а, динан да а, Ӏелам стаг а волчу Ӏезара а, иштта нахана хьоьхуш болчу левихоша а элира: «Тахана шун Везачу Далла дӀакъастийна долу де ду. Сингаттаме а ма хила, делха а ма делха». Цара иштта элира, хӀунда аьлча товрат-хьехамашка ладугӀучу хенахь адам доьлхуш дара.</verse>
				<verse number="10">Нахьми-ЯхӀус цаьрга элира: «Дуьйло, хьена яа хӀума а яа, мерзаниг мала а мала. Шаьш юучух дакъа а де яа хӀума кечъяза бисинчарна. Таханлера де Везачу Элана дӀакъастийна долу де ду. ГӀайгӀане а ма хила! Везачу Эло лучу хазахетаро чӀагӀдийр ду шу!»</verse>
				<verse number="11">Левихоша дагна хьаам бора массо а гулбеллачарна. Цара бохура: «ДӀате! Таханлера де Везачу Элана лерина шатайпа де ду. ГӀайгӀане ма хила».</verse>
				<verse number="12">Массо а халкъ шайн цӀеношка дӀадахара хӀума яа а, малар мала а, вовшашна юург-мерг кховдо а, чӀогӀа самукъадаларца даздан а, товрат-хьехамашна юкъара царна аьллачух шаьш кхетта дела.</verse>
				<verse number="13">ШолгӀачу дийнахь доьзалийн дай а, динан дай а, левихой а Ӏелам стаг волу Ӏезар волчу бахара, цуьнца цхьаьна товрат-хьехамаш Ӏаморхьама.</verse>
				<verse number="14">Везачу Эло Муса-пайхамарехула Ша белла болу товрат-хьехамаш толлучу хенахь царна хӀара карийра: шеран ворхӀалгӀачу беттан дезде даздечу хенахь Исраилан халкъ кхалораш чохь Ӏан дезара.</verse>
				<verse number="15">Массо а халкъо, Ярушалаймехула а, шайн гӀаланашкахула а чекх а долуш, баха дезара: «Лаьмнашкахь болчу махка а гӀой, цигара зайт-диттан а, акхачу зайт-диттан а, хурма-диттан а, дукха гӀаш долуш долчу диттийн а, ӀиндагӀ луш долчу диттийн а генаш схьадан деза, царах, товрат-хьехамаш тӀехь ма-аллара, кхалораш ян а еза».</verse>
				<verse number="16">Халкъо, ара а даьлла, шега ма-аллара, генаш а деана, царах шайна кхалораш йира. Цара уьш шайн шерачу тхевнаш тӀехь а, шайн уьйтӀахь а, Делан цӀийнан кертахь а, Хин кевнна хьалхахь йолчу майданахь а, иштта Эпраман кевнна хьалха йолчу майданахь а йира.</verse>
				<verse number="17">Массо а йийсарера юхабирзинарш, шайна кхалораш а йина, цу деношкахь цу кхалораш чохь Ӏийра. Нунин кӀант ЮшаӀ ваьхначу хенахь дуьйна хӀара денош тӀе кхаччалц исраилхоша и дезде иштта даздина дацара. Массо а стаг чӀогӀа сакъераделла вара.</verse>
				<verse number="18">Ӏезара хьалхарчу дийнахь дуьйна тӀаьххьара де тӀекхаччалц, Делан товрат-хьехамаш тӀехь болу тептар доьшура царна. ВорхӀ дийнахь лаьттира и деза денош. БорхӀалгӀачу дийнахь, товрат-хьехамаш тӀехь ма-аллара, уьш вовшахкхийтира леррина дӀахӀоьттинчу гуламе.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="9">
				<verse number="1">Цу беттан ткъе доьалгӀачу дийнахь исраилхой схьагулбелира, марха а кхобуш, шайна тӀехь сингаттаман духар а долуш, коьрта тӀе тесна ченаш а йолуш.</verse>
				<verse number="2">Кхечу къаьмнех болчарах схьакъаьстинера исраилхой. Шайн меттигашкахь а лаьтташ, шаьш летийначу къиношна а, шайн дайша динчу зуламашна а мукӀарло дора цара.</verse>
				<verse number="3">Кхаа сахьтехь лаьттира уьш цигахь, шайн Везачу Делан товрат-хьехамаш тӀехь болу тептар а доьшуш. Цул тӀаьхьа кхин кхаа сахьтехь цара шаьш лелийначунна мукӀарлонаш а дора, шайн Везачу Далла Ӏибадат а дора.</verse>
				<verse number="4">Цул тӀаьхьа левихой болу ЮшаӀ а, Бани а, Кхадмиал а, Шабни-ЯхӀу а, Буни а, Шараб-ЯхӀу а, Бани а, Канани а лекхачу метте хьала а бевлла, шайн Везачу Деле мохь а бетташ, доӀа деш бара.</verse>
				<verse number="5">Юха а левихойх болу ЮшаӀ а, Кхадмиал а, Бани а, Хьашбин-ЯхӀу а, Шараб-ЯхӀу а, ХӀуди-ЯхӀу а, Шабни-ЯхӀу а, Патахь-ЯхӀу а къамелаш дан буьйлабелира. Цара бохура: «Хьала а гӀовттий, шайн Везачу Далла хастамаш бан дуьйлало. Азалера дуьйна абадене кхаччалц хастамаш бе Цунна. Хьан сийлахь цӀе адамаша хестайойла, иза массо а хастамел а, декъалаллел а лекха хуьлийла!</verse>
				<verse number="6">Хьо — Веза Эла ву! Хьо бен, цхьа а вац! Ахьа стигалш а, царна чохь мел долу седарчий а кхоьллина! Уггар лекха стигалш а, царна чохь мел болу ницкъаш а кхоьллина Ахь! Ахьа латта а, цу лаьтта тӀехь мел долу хӀума а кхоьллина! Ахьа хӀордаш а, цу чохь мел долу хӀума а кхоьллина. Массо а хӀуманна дахар а делла. Стигалара ницкъаш а Хьуна Ӏибадат деш ду!</verse>
				<verse number="7">Ибрам харжа а хаьржина, Хашадарчу Ур-гӀалара ара а ваьккхина, цунна, ИбрахӀим аьлла, цӀе тиллина Веза Дела ву Хьо.</verse>
				<verse number="8">Хьуна гира иза Хьайна тешаме хилар, цундела Ахьа цуьнца барт а бира. КанаӀанхойн, хьетахойн, эмархойн, перезахойн, явсайхойн, гӀиргӀашахойн хилла долу латта дӀалур ду элира Ахьа цуьнан тӀаьхьенна. Хьайн ваӀда Ахь кхочуш а дира, Хьо тешаме волу дела.</verse>
				<verse number="9">Хьуна гуш бара Мисар-махкахь тхан дайша хьоьгуш болу бала. Эрзийн хӀорд болчохь Хьуна хезаш дара цара гӀо доьхуш хьоькхуш долу маьхьарий.</verse>
				<verse number="10">Мисархошна шаьш тхан дайл лакхара хетийла Хьуна хууш долу дела, тамашийна билгалонаш гайтира Ахьа пирӀунна а, цуьнан элашна а, цуьнан массо а халкъана а дуьхьал. Цундела Хьо цӀеяхана хилла дӀахӀоьттира таханлера де тӀекхаччалц а.</verse>
				<verse number="11">Ахьа тхан дайшна хьалхахь Эрзийн хӀорд бекъа а бекъна дӀахӀоттийра, уьш декъачу лаьтта тӀехула чекхбовлийтархьама. Амма тхан мостагӀий кӀоргачу хӀорда чу кхиссира Ахьа, ткъа уьш, тӀулгаш санна, дерачу хи буха а бахара.</verse>
				<verse number="12">Дийнахь мархин бӀогӀамца Ахь уьш балабора, буьйсанна уьш цӀеран бӀогӀамца буьгура, уьш дӀабаха беза некъ серлабаккхархьама.</verse>
				<verse number="13">Цул тӀаьхьа Хьо Синай-лам тӀе охьавоьссира. Стигалара охьа къамел дира Ахьа цаьрца. Царна нийса тӀедехкинарш а, бакъболу товрат-хьехамаш а, дика парзаш а, весеташ а дӀаделира.</verse>
				<verse number="14">Хьайн дезачу шоьтан дийнах лаьцна а хьехам бира Ахьа царна, иштта весеташ а, парзаш а, товрат-хьехам а тӀебиллира Хьайн ялхо волчу Мусагахула.</verse>
				<verse number="15">Уьш мацбеллачу хенахь стигалара кхача а белира Ахьа царна. Уьш хьагбеллачу хенахь тӀулгах даьккхина хи а делира Ахьа царна. Ахьа цаьрга элира, дӀа а гӀой, царна, куьг а айина, дӀадала чӀагӀо йина долу латта церан дола даккха.</verse>
				<verse number="16">Амма тхан дай кура дегнаш долуш а, юхахьара а бара. Хьан весеташка ла ца дуьйгӀира цара.</verse>
				<verse number="17">Хьуна къера хила царна ца лиира. Ахьа шайн дуьхьа мел дина тамашийна гӀуллакхаш царна дицделлера. Шайн куралла бахьана долуш, хьаькам хаьржира цара, шайн лоллехь хиллачу метте уьш юхаберзорхьама. Амма нахана гечдо Дела ма ву Хьо! Хьо дика ойла йолуш а, къинхетаме а ву, Хьо атта оьгӀаз ца воьдуш а, ткъа боккха безам болуш а ву. Ахь уьш дӀа ца тесна,</verse>
				<verse number="18">шайна дашо эса а дина, цара: „ХӀара ву тхо Мисар-махкара арадаьхна волу Дела!“ аьлча а, цара чӀогӀа Ӏеса къамел дича а.</verse>
				<verse number="19">Хьо чӀогӀа къинхетаме хиларна, Ахьа уьш яьссачу аренгахь а дӀа ца тесира. Дийнахь царна некъ дӀагойту мархин бӀогӀам дӀа ца хьулбира Ахь, буьйсанна уьш схьабан безаш болу некъ серлабоккху цӀеран бӀогӀам а дӀа ца баьккхира Ахь.</verse>
				<verse number="20">Уьш Ӏаморхьама Хьайн дика Са дӀадели Ахь. Саццаза Хьайн кхачанийн буьртигаш дӀалора Ахь царна, церан хьогалла дӀаяккха хи а лора.</verse>
				<verse number="21">Шовзткъа шарахь яьссачу аренгахула уьш лелаш а бара, царна мел оьшу хӀума Ахь кхочуьйтура. Церан бедарш а ца тишлора, когаш а ца бестара.</verse>
				<verse number="22">Ахьа царна пачхьалкхаш а, халкъаш а делира, царна гонахара долу, геннара латтанаш а тӀехь дӀадийкъира. Хьешбонарчу паччахьан Сихьонан латта а, иштта Башанарчу паччахьан ӀовгӀин латта а шайн дола даьккхира цара.</verse>
				<verse number="23">Церан тӀаьхье Ахь, стигалара седарчий санна, дебийра. Церан дайшна Айхьа, шерет дина, латта лур ду элира, ткъа уьш оцу лаьтта тӀе схьабалийра Ахь.</verse>
				<verse number="24">Цу лаьтта тӀе а баьхкина, цара иза дӀалецира. Ахьа цаьрга цу лаьтта тӀехь Ӏаш болу канаӀанхой эшабайтира. Цигара халкъ а, церан паччахьаш а, кхидолу къаьмнаш а церан кара дӀа а делла, Ахьа цаьрга шайна луъург дайтира царна тӀехь.</verse>
				<verse number="25">ЧӀагӀйина гӀаланаш а, токхе латтанаш а цара схьалецира. Хьолах дуьзна долу цӀенош а, яьхна гӀунаш а цара шайн дола ехира. Иштта кемсийн а, зайт-диттийн а, стоьмийн а бошмаш цара шайн дола ехира. Уьш Ӏаббалц дууш, берстина дӀахӀиттира, Ахьа шайна деллачу массо а беркатах марзо а оьцуш.</verse>
				<verse number="26">Амма уьш, карзах а бевлла, Хьуна дуьхьалбевлира! Ахь беллачу товрат-хьехамаш тӀера уьш дӀабирзира. Хьан пайхамарша уьш чӀогӀа боьхура, Хьуна тӀе юхаберза бохуш, амма цара и пайхамарш байира. Тхан дайша Хьуна дуьхьал Ӏеса къамелаш дора,</verse>
				<verse number="27">цундела Ахьа церан мостагӀашна уьш дӀалацийта пурба делира, ткъа мостагӀаша царна дукха зуламаш а дира. Амма шайна тӀе зулам деача, тхан дай Хьоьга орца доьхуш дӀахӀиттира. Стигалахь волчу Ахьа цаьрга ла а дугӀура, Хьайн боккхачу къинхетамца уьш кӀелхьарбохурш а лора, ткъа цара уьш мостагӀийн зуламах кӀелхьара а бохура.</verse>
				<verse number="28">Амма синтем юха-ма-бирззинехь, тхан дайша юха а Хьуна зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. Цундела церан мостагӀийн карахь уьш битина Ахь, цаьрга хӀокхарна тӀехь олалла дайтархьама. Амма цара, юха а бирзина, Хьоьга гӀо дехча, стигалахь волчу Ахьа, церан дехарш а хезна, юха а Хьайн боккхачу къинхетамца дукхазза а гӀо дира царна.</verse>
				<verse number="29">Ахьа цаьрга дӀахьедора, Хьайн товрат-хьехамашна тӀе юхадерза дезар дӀахоуьйтуш, амма цара, кура а бевлла, Хьан весеташ дӀатеттира. Ахьа тӀедиллинчарна дуьхьал къинош летийра цара. Делахь а, уьш лардийриг церан гӀоьнца вехар вара. Бухахьа а бевлла, Хьох дӀа а бирзина, дегнаш чӀагӀ а дина, Хьоьга ла ца дуьйгӀира цара.</verse>
				<verse number="30">Хьо тхан дайшца чӀогӀа собаре вара. Дуккха а шерашкахь царна садиттира Ахьа. Хьайн пайхамарш Хьайн Синехула иракара а хӀиттийна, оцу пайхамаршкахула царна дӀахьедора Ахь. Амма цара ла ца дугӀура, цундела Ахьа уьш кхечу къаьмнийн кара дӀабелира.</verse>
				<verse number="31">Амма Хьайн боккхачу къинхетамца Ахьа уьш массо а хӀаллак а ца бира, уьш Ахьа дӀа а ца тесира, хӀунда аьлча Хьо дика а, къинхетаме а Дела ву!</verse>
				<verse number="32">Ткъа хӀинца, тхан Дела, ва сийлахь Дела. Хьо Майраниг а, ларамах дузуьйтуш Верг а, вайна юкъахь болу безаман барт Ларбийриг а ма ву! Хьуна хьалха кӀезиг ма хетийла оха а, тхан паччахьаша а, тхан куьйгалхоша а, тхан динан дайша а, тхан пайхамарша а, тхан дайша а, дерриг а Хьан халкъо а хьоьгуш болу бала. И бала Ашур-махкарчу паччахьашна тӀера дуьйна хӀара де тӀекхаччалц оха хьоьгуш бу.</verse>
				<verse number="33">Массо а тхуна тӀехӀоьттинчу хӀуманна тӀехь Хьо нийса хилла! Хьо тешаме хилла, оха харцдерг лелийнехь а.</verse>
				<verse number="34">Тхан паччахьаша а, тхан куьйгалхоша а, тхан динан дайша а, тхан дайша а Хьан товрат-хьехамаш кхочуш ца бора, Хьан весеташка ла ца дугӀура, Ахьа дагадаийтинарг тергал ца дора.</verse>
				<verse number="35">Шайн пачхьалкхехь Ахьа делла долчу Хьан доккхачу диканехь, Ахьа шайн кара дӀаделла долчу доккхачу, уггар дикачу лаьтта тӀехь цара Хьуна Ӏамал а ца йора, шаьш лелош долчу зуламечу хӀуманашна тӀера дӀа а ца бирзира.</verse>
				<verse number="36">Ткъа тхо хӀинца леш ду. ХӀокху Ахьа тхан дайшна цаьрга пайда эцийта а, цу тӀера шайна напха даккхийта а дӀаделла долчу лаьтта тӀехь тхо леш хилла дӀахӀиттина.</verse>
				<verse number="37">Ахь тхуна тӀехь хӀиттийна болчу паччахьийн кара лаьтто шортта кхиъна ялта чудоуьйту, оха летийна къинош бахьана долуш. Тхан догӀмашна тӀехь олалла до цара, ткъа церан карахь ду тхан даьхни. Цара тхуна тӀехь шайна луъург леладо, цундела тхо йоккхачу гӀайгӀанехь ма ду.</verse>
				<verse number="38">И массо хӀума а бахьана долуш, оха бохо йиш йоцуш болу барт бо, иза кехатна тӀехь дӀа а язбеш. Тхан куьйгалхоша а, левихоша а, динан дайша а цу бартана кӀел куьг яздо, иза мухӀарца чӀагӀ а беш».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="10">
				<verse number="1">МухӀар а тоьхна, цу бартана кӀелахь куьг яздинарш бара: Хьахли-ЯхӀун кӀант, мехкада волу Нахьми-ЯхӀу а, ЦӀадукъ-ЯхӀу а. Динан дай:</verse>
				<verse number="2">Сари-ЯхӀу а, Ӏазар-ЯхӀу а, Ярми-ЯхӀу а,</verse>
				<verse number="3">Пашихьур а, Амар-ЯхӀу а, Малки-ЯхӀу а,</verse>
				<verse number="4">Хьатуш а, Шабни-ЯхӀу а, Малук а,</verse>
				<verse number="5">Хьарми а, Мармути а, Ӏабди-ЯхӀу а,</verse>
				<verse number="6">Даниал а, ГӀинтуни а, Барух а,</verse>
				<verse number="7">Машулим а, Аби-ЯхӀу а, Мияман а,</verse>
				<verse number="8">МаӀаз-ЯхӀу а, Билгай а, ШамӀа-ЯхӀу а. Уьш динан дай бара.</verse>
				<verse number="9">ХӀорш левихойн цӀераш ю: Азан-ЯхӀу кӀант ЮшаӀ, Хьенидадан доьзалера волу Бинуй, Кхадмиал,</verse>
				<verse number="10">церан гергарнаш болу Шабни-ЯхӀу, ХӀуди-ЯхӀу, Кхилати, Пали-ЯхӀу, Хьанан,</verse>
				<verse number="11">Мика, Рахьуб, Хьашби-ЯхӀу,</verse>
				<verse number="12">Закхур, Шараб-ЯхӀу, Шабни-ЯхӀу,</verse>
				<verse number="13">ХӀуди-ЯхӀу, Бани, Банину.</verse>
				<verse number="14">Халкъан баьччанаш: ПарӀуш, Пахьат-Муаби, Ӏейлам, Зату, Бани,</verse>
				<verse number="15">Буни, ӀазгӀади, Бебай,</verse>
				<verse number="16">Адан-ЯхӀу, БигӀвай, Ӏади,</verse>
				<verse number="17">Атари, Хьузакх-ЯхӀу, Ӏазури,</verse>
				<verse number="18">ХӀуди-ЯхӀу, Хьашум, Бецай,</verse>
				<verse number="19">Хьарип, Ӏанатот, Неби,</verse>
				<verse number="20">МагӀпиӀаш, Машулим, Хьецар,</verse>
				<verse number="21">Маши-Забиал, ЦӀадукъа, ЯдуӀ,</verse>
				<verse number="22">Палти-ЯхӀу, Хьанан, Ӏани-ЯхӀу,</verse>
				<verse number="23">ХӀушаӀ, Хьанан-ЯхӀу, Хьашуби,</verse>
				<verse number="24">ХӀалухьеш, Пилхьа, Шубакъ,</verse>
				<verse number="25">Рахьим, Хьашбина, МаӀсей-ЯхӀу,</verse>
				<verse number="26">АхьъяхӀу, Хьанан, Ӏанан,</verse>
				<verse number="27">Малук, Хьарми, БаӀна.</verse>
				<verse number="28">«Ткъа халкъан кхиболчара — динан дайша а, левихоша а, Делан цӀийнан кевнехь болчу гӀаролхоша а, илланчаша а, Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болчу ялхоша а, Делан товрат-хьехаман дуьхьа шаьш кхечу къаьмнех болчарах дӀа мел къаьстиначара а, шайн зударшца а, кхетам болуш болчу массо а шайн кӀенташца а, йоӀаршца а —</verse>
				<verse number="29">шайн вежарий болчу лоруш болчарах дӀа а кхетта, сардаман таӀзарх иштта чӀагӀо йо: Дала Шен ялхо волчу Мусагахула белла товрат-хьехамаш лар а бийр бу оха, вайн Хьалдолчу Везачу Эло мел дина весеташ а, тӀедехкинарш а, парзаш а леррина кхочуш а дийр ду оха.</verse>
				<verse number="30">Оха чӀагӀо йо тхайн зудабераш кхечу къаьмнех болчу нахе маре ца дахийта а, церан зудабераш тхайн кӀенташка схьа ца даладайта а.</verse>
				<verse number="31">Тхайна гонах дехаш долчу халкъаша шоьтан дийнахь а, я кхечу дезачу дийнахь а йохка хӀуманаш я кӀа деача, уьш цаьргара оьцур яц оха. ХӀора ворхӀалгӀа деанчу шарахь тхайн кхаш тӀехь болх бийр бац оха, иштта тхайна декхарийлахь болчарна къинтӀера девр ду тхо.</verse>
				<verse number="32">Оха чӀагӀо йо хӀора шарахь цхьана шекхалан кхоалгӀа дакъа тхан Делан цӀийнан хьашташна дӀадала.</verse>
				<verse number="33">И ахча массо а хьашташна тӀе гӀур ду: Далла къобалдина долу бепиг а, хӀора дийнахь дохуш долу кӀен сагӀанаш а, дийнаташ дагоран сагӀанаш а, шоьтан деношкахь а, бутт цӀинбаларан деношкахь а, кхечу дезачу деношкахь а дохуш долу сагӀанаш а, кхидолу деза сагӀанаш а, Исраилан халкъо летийначу къинойх паргӀатбахархьама дохуш долу къинан сагӀанаш а, иштта Делан цӀенна оьшу муьлхха гӀуллакх а.</verse>
				<verse number="34">Оха — динан дайша а, левихоша а, халкъо а — кхаж тесира, тхайна юкъахь билгалдаккхархьама, шеран муьлхачу хенахь хӀора тхан доьзало Делан цӀенна совгӀатна лерина долу чӀийш дала деза, иза тхан Везачу Делан сагӀа доккхучу кхерчахь даго, товрат-хьехамаш тӀехь ма-хиллара.</verse>
				<verse number="35">Оха тхайна тӀелоцу хӀора шарахь Везачу Элан цӀенна тхайн лаьтта тӀера уггар хьалха хьалакхиъна долу ялта а, массо а диттийн дуьххьарлера болу стом а схьабан.</verse>
				<verse number="36">Товрат-хьехамаш тӀехь ма-хиллара, оха тхан Делан цӀенна схьабалор бу тхан доьзалехь дуьххьара бина болу кӀентий а, иштта тхайн бежех а, даьхнех а, женах а долу дуьххьара дина кӀорнеш а. Цигахь гӀуллакх деш болчу динан дайшна уьш дӀалур ду оха.</verse>
				<verse number="37">Оха иштта тхайн Делан цӀийнан чӀоьнаш чохь болчу динан дайшна тхайна хиллачу ялтих уггар а хьалха хьакхийна бод а бахьар бу, тхан бешара уггар хьалха схьабаьлла болу стом а, уггар хьалха схьадаьккхина долу чагӀар а, зайтдаьтта а дахьар ду. Ялтех долу уьтталгӀа дакъа оха дӀалур ду болх беш йолчу массо а ярташкахь уьтталгӀа дакъа схьагулдеш болчу левихошна.</verse>
				<verse number="38">АхӀаронан цӀийнах волу динан да левихошца хила везаш ву цара шайн уьтталгӀа дакъа схьаоьцучу хенахь. Цул тӀаьхьа левихоша шайна дӀакхаьчначу уьтталгӀачу декъа тӀера кхин уьтталгӀа дакъа Делан цӀа чохь йолчу чӀоьнаш чу охьадилла деза.</verse>
				<verse number="39">Исраилан халкъо а, левихоша а шаьш деш долу совгӀаташ — кӀа а, чагӀар а, зайтдаьтта а — цу чӀоьнаш чу схьадан деза. Цигахь езачу чоьнна лерина болу гӀирс а бу ларбеш, иштта гӀуллакх деш болу динан дай а, кевнийн гӀаролхой а, илланчаш а бу Ӏаш. Оха чӀагӀо йо Делан цӀийнан дола дан!»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="11">
				<verse number="1">Исраилан халкъан баьччанаш Ярушалаймехь баха охьахевшира. Халкъах кхиболчара кхаж таса безаш бара, халкъах долу уьтталгӀа дакъа схьакъасторхьама. И схьакъастийнарш езачу гӀалахь Ярушалаймехь баха ховша безара. Ткъа тӀаьхьадисина долу къоман исс дакъа шайн-шайн гӀаланашкахь даха диса тарлора.</verse>
				<verse number="2">Халкъо хастам бира шайн лаамца Ярушалаймехь бисинчарна.</verse>
				<verse number="3">ХӀорш бу Ярушалаймехь баха хевшина болу мехкан куьйгалхой. (Дукхахболу исраилхой а, динан дай а, левихой а, Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш берш а, Сулим-паччахьан ялхойн тӀаьхьенах берш а ЯхӀуд-махкарчу кхечу ярташкахь Ӏаш бара. Уьш ярташкахь кхожаца шайна кхаьчначу латтанаш тӀехь Ӏаш бара.</verse>
				<verse number="4">Амма цхьаболу ЯхӀудан а, Бен-Яманан а тайпанех болу нах Ярушалаймехь бехаш бара.) ЯхӀудан тайпанах болчеран цӀераш иштта яра: Ӏузи-ЯхӀун кӀант Ӏати-ЯхӀу (Ӏузи-ЯхӀу Закри-ЯхӀун кӀант хилла, Закри-ЯхӀу Амар-ЯхӀун кӀант хилла, Амар-ЯхӀу Шапат-ЯхӀун кӀант хилла, ткъа Шапат-ЯхӀу Парасан тӀаьхьенах волчу Махьаллалан кӀант хилла),</verse>
				<verse number="5">Барухан кӀант МаӀсей-ЯхӀу (Барух Кала-Хьозин кӀант хилла, Кала-Хьоза Хьази-ЯхӀун кӀант хилла, Хьази-ЯхӀу Ӏади-ЯхӀун кӀант хилла, ткъа Ӏади-ЯхӀу Закри-ЯхӀун кӀант волчу ЯхӀу-Ярбин кӀант хилла. Закри-ЯхӀу Шейлин тӀаьхьенах хилла).</verse>
				<verse number="6">Ярушалаймехь бехаш болу Парасан тӀаьхьенах болу нах виъ бӀе кхузткъе бархӀ стаг хилла. Уьш берриш а чӀогӀа доьналла долуш нах хилла.</verse>
				<verse number="7">Бен-Яманан тӀаьхьенах берш: Машулиман кӀант Салуъ (Машулим ЮӀадан кӀант хилла, ЮӀад Пади-ЯхӀун кӀант хилла, Пади-ЯхӀу Къули-ЯхӀун кӀант хилла, Къули-ЯхӀу МаӀсей-ЯхӀун кӀант хилла, МаӀсей-ЯхӀу Итиалан кӀант хилла, ткъа Итиал ЯшаӀ-ЯхӀун кӀант хилла),</verse>
				<verse number="8">цунна тӀаьхьа вогӀуш Габий, Салий шиъ хилла. Уьш Салуан гергара нах хилла. Уьш массо а исс бӀе ткъе бархӀ стаг хилла.</verse>
				<verse number="9">Зикрин кӀант Юал царна тӀехь хьаькам вара, ткъа ХӀасинуан кӀант ЯхӀуд цу гӀалахь шолгӀа волу хьаькам вара.</verse>
				<verse number="10">Ярушалаймехь баха охьахевшина болчу динан дайн цӀераш яра хӀорш: ЯхӀу-Ярбин кӀант ЯдаӀ-ЯхӀу, Якин,</verse>
				<verse number="11">Хьалкхи-ЯхӀун кӀант Сари-ЯхӀу (Хьалкхи-ЯхӀу Машулиман кӀант хилла, Машулим ЦӀадукъин кӀант хилла, ЦӀадукъа Маръютин кӀант хилла, ткъа Маръюти Делан цӀенна тӀехь хьаькам волчу Ахьтубин кӀант хилла);</verse>
				<verse number="12">иштта церан цӀийнан нах болу Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш волу бархӀ бӀе ткъе ши стаг а; Ярохьаман кӀант Ӏади-ЯхӀу а (Ярохьам Амцин кӀант волчу Палал-ЯхӀун кӀант хилла, Амци Закри-ЯхӀун кӀант хилла, Закри-ЯхӀу Пашихьуран кӀант хилла, Пашихьур Малки-ЯхӀун кӀант хилла);</verse>
				<verse number="13">кхин а ши бӀе шовзткъе шиъ стаг, Малки-ЯхӀун цӀийнах волу (и нах шайн доьзалийн баьччанаш хилла); Ӏазариалан кӀант Ӏамшаси (Ӏазариал Ахьзайн кӀант хилла, Ахьзай Амиран кӀант волчу Машли-МутӀин кӀант хилла);</verse>
				<verse number="14">кхин а цхьа бӀе ткъе бархӀ Амиран цӀийнах волу стаг а хилла. Уьш чӀогӀа доьналла долуш болу нах бара. Царна тӀехь хьаькам Гадуламан кӀант Забдиал хилла.</verse>
				<verse number="15">ХӀара цӀераш Ярушалаймехь баха хиъна болчу левихойн ю: Хьашубин кӀант ШамӀа-ЯхӀу (Хьашуби Ӏазрикхаман кӀант хилла, ткъа Ӏазрикхам Бунин кӀентан Хьашби-ЯхӀун кӀант хилла);</verse>
				<verse number="16">левихойн баьччанаш болу Шабитай а, Юзабди а Делан цӀийнан арахьара беш болчу балхана тӀехӀиттийна хилла;</verse>
				<verse number="17">Микин кӀант Матан-ЯхӀу (Мика Завадин кӀант хилла, ткъа Завади Асайпан кӀант хилла). Баркаллин доӀа дечу нахана тӀехь хьалхара верг хилла Матан-ЯхӀу; Бакхбукъ-ЯхӀу (иза илланчийн шолгӀачу тобанна тӀехь хьаькам хилла); ШамуӀан кӀант Ӏабда (ШамуӀ Ядутунан кӀентан Галалин кӀант хилла);</verse>
				<verse number="18">Езачу Ярушалайм-гӀалахь волу массо а левихо ши бӀе везткъе виъ стаг хилла.</verse>
				<verse number="19">ХӀорш Ярушалаймехь баха хевшина болчу кевнашкарчу гӀаролхойн цӀераш ю: Ӏакхуби а, ТӀулман а, иштта цхьа бӀе кхузткъе шийтта церан цӀийнах волу стаг а. Уьш гӀалин кевнаш лардеш бара.</verse>
				<verse number="20">Кхиболу исраилхой а, динан дай а, левихой а бара ЯхӀуд-махкарчу гӀаланашкахь бехаш. Уьш шайн доьзалийн латтанаш тӀехь бехаш бара.</verse>
				<verse number="21">Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш берш Ярушалайман цхьа дакъа долчу Ӏупалахь бехаш хилла. Царна тӀехь хьаькамалла лелош Цихьа а, ГӀишпа а хилла.</verse>
				<verse number="22">Ярушалаймехь левихошна тӀехь куьйгалла деш Ӏузи хилла (Ӏузи Банин кӀант хилла, Бани Хьашби-ЯхӀун кӀант хилла, ткъа Хьашби-ЯхӀу Микин кӀант волчу Матан-ЯхӀун кӀант хилла). Иза Асайпан тӀаьхьенах хилла, ткъа уьш Делан цӀа долчохь назманаш олуш берш хилла.</verse>
				<verse number="23">Царах лаьцна паччахьо леррина арадаьккхина тӀедиллар хилла, цу тӀехь илланчийн декхарш билгалдаьхна а хилла.</verse>
				<verse number="24">Исраилхойх лаьцна паччахьна хаам беш верг Патахь-ЯхӀу вара. Иза ЯхӀудан тӀаьхьенах волчу Зерахьан кӀентан Маши-Забиалан кӀант вара.</verse>
				<verse number="25">ЯхӀудхойх цхьаберш хӀокху жимачу гӀаланашкахь Ӏаш бара, шайн кхашна уллохь: Кхиръят-АрбаӀахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а; Дибонахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а; иштта Якхабцаалахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а;</verse>
				<verse number="26">ЮшаӀахь а, Мулада-гӀалахь а, Байт-Палтехь а;</verse>
				<verse number="27">Хьацар-ШуӀалахь а, Беар-ШабаӀехь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а;</verse>
				<verse number="28">ЦакхелагӀахь а, Махунехь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а;</verse>
				<verse number="29">Ӏейн-Риманахь а, ЦорӀа-гӀалахь а, Ярмут-гӀалахь а;</verse>
				<verse number="30">Занухь-гӀалахь а, Ӏадуламахь а, иштта царна гонах йолчу ярташкахь а; Лахиш-гӀалахь а, цунна уллохь йолчу аренашкахь а; Ӏазекхи-гӀалахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а. ЯхӀудан къам Беар-ШабаӀера дуьйна ХӀинам-тогӀина тӀе кхаччалц даха охьахиънера.</verse>
				<verse number="31">Бен-яманхой хӀокху гӀаланашкахь баха охьахевшинера: ГибаӀ-гӀалахь а, Михмасехь а, Ӏайи-гӀалахь а, Бетал-гӀалахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а,</verse>
				<verse number="32">Ӏанатот-гӀалахь а, Нуб-гӀалахь а, Ӏанан-ЯхӀугахь а,</verse>
				<verse number="33">Хьацор-гӀалахь а, Рамехь а, ГӀитаймехь а,</verse>
				<verse number="34">Хьадид-гӀалахь а, ЦебаӀим-гӀалахь а, Набалти-гӀалахь а,</verse>
				<verse number="35">Лодди-юртахь а, Овну-гӀалахь а, иштта Пхьерийн тогӀи чохь а.</verse>
				<verse number="36">ЯхӀуд-махкара цхьайолу левихойн тобанашкара нах Бен-Яман-махкахь баха хевшира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="12">
				<verse number="1">ХӀорш бу йийсарера юхабирзина болу динан дай а, левихой а. Уьш Шалтаалан кӀантаца Зурбабелца а, ЮшаӀца а цхьаьна юхабирзина хилла. Церан цӀераш: Сари-ЯхӀу, Ярми-ЯхӀу, Ӏезар,</verse>
				<verse number="2">Амар-ЯхӀу, Малук, Хьатуш,</verse>
				<verse number="3">Шихан-ЯхӀу, Рахьим, Мармути,</verse>
				<verse number="4">Ӏиду, ГӀинтуй, Аби-ЯхӀу,</verse>
				<verse number="5">Мияман, МаӀад-ЯхӀу, Билга,</verse>
				<verse number="6">ШамӀа-ЯхӀу, ЯхӀу-Ярби, Яди-ЯхӀу,</verse>
				<verse number="7">Салуъ, Ӏамукъ, Хьалкхи-ЯхӀу, Яди-ЯхӀу. ЮшаӀ динан коьрта да волчу заманахь и нах динан дайн а, церан гергарнаш а баьччанаш бара.</verse>
				<verse number="8">Левихойх болу ЮшаӀ, Бинуй, Кхадмиал, Шараб-ЯхӀу, ЯхӀуд, Матан-ЯхӀу. Далла баркалла олуш долчу назманашна тӀехь жоп луш хилла Матан-ЯхӀу а, цуьнан гергарнаш а.</verse>
				<verse number="9">Адамаша Далла гӀуллакх дечу хенахь, Бакхбукъ-ЯхӀус а, Ӏунис а, церан гергарчара а назма аларца дакъалоцура.</verse>
				<verse number="10">ЮшаӀ ЯхӀу-Якхаман да хилла, ЯхӀу-Якхам Элишубан да хилла. Элишуб ЯхӀу-ЯдаӀан да хилла.</verse>
				<verse number="11">ЯхӀу-ЯдаӀ ЯхӀунатин да хилла, ЯхӀуната ЯдуӀан да хилла.</verse>
				<verse number="12">ЯхӀу-Якхаман заманахь динан дайн доьзалан баьччанаш хӀорш хилла: Сари-ЯхӀун доьзалехь лакхарниг Мари-ЯхӀу хилла. Ярми-ЯхӀун доьзалехь лакхарниг Хьанан-ЯхӀу хилла.</verse>
				<verse number="13">Ӏезаран доьзалехь лакхарниг Машулим хилла. Амар-ЯхӀун доьзалехь лакхарниг ЯхӀу-Хьана хилла.</verse>
				<verse number="14">Малухин доьзалехь лакхарниг ЯхӀуната хилла. Шихан-ЯхӀун доьзалехь лакхарниг Юсуп хилла.</verse>
				<verse number="15">Хьармин доьзалехь лакхарниг Ӏаднан хилла. Мармутин доьзалехь лакхарниг Хьелкхи хилла.</verse>
				<verse number="16">Ӏидун доьзалехь лакхарниг Закри-ЯхӀу хилла. ГӀинтунин доьзалехь лакхарниг Машулим хилла.</verse>
				<verse number="17">Аби-ЯхӀун доьзалехь лакхарниг Зикра хилла. МуӀад-ЯхӀун а, Мин-Яманан доьзалшкахь лакхарниг Пилти хилла.</verse>
				<verse number="18">Билгин доьзалехь лакхарниг ШамуӀ хилла. ШамӀа-ЯхӀун доьзалехь лакхарниг ЯхӀуната хилла.</verse>
				<verse number="19">ЯхӀу-Ярбин доьзалехь лакхарниг Матинай хилла. Яди-ЯхӀун доьзалехь лакхарниг Ӏузи хилла.</verse>
				<verse number="20">Салин доьзалехь лакхарниг Къали хилла. Ӏамукъин доьзалехь лакхарниг Ӏебар хилла.</verse>
				<verse number="21">Хьалкхи-ЯхӀун доьзалехь лакхарниг Хьашби-ЯхӀу хилла. ЯдаӀ-ЯхӀун доьзалехь лакхарниг Натунаил хилла.</verse>
				<verse number="22">Элишубан а, ЯхӀу-ЯдаӀан а, Йохьанан а, ЯдуӀан а заманашкахь хилла болчу левихойн а, динан дайн а доьзалийн баьччанийн цӀераш парсихойн паччахь волчу Дари-Вашан паччахьалла лаьттинчу хенахь дӀаязйина ю.</verse>
				<verse number="23">Левин тӀаьхьенах болчу доьзалийн баьччанаш Элишубан кӀант волчу ЯхӀу-Хьанин заманна тӀекхаччалц дӀаязбина бу.</verse>
				<verse number="24">ХӀара цӀераш левихойн куьйгаллехь хиллачийн ю: Хьашби-ЯхӀу, Шараб-ЯхӀу, ЮшаӀ, Бинуй, Кхадмиал. Церан гергарнаш царна дуьххьал дӀахӀуьттуш хилла, Далла хастамаш а беш, баркалла а олуш. Цхьа тоба вукху тобане йист хуьлуш хилла. И хӀума Делан стаг волчу Дауда дӀахӀоттийна хилла.</verse>
				<verse number="25">ГӀалин кевнехь долу чӀоьнаш лардеш бара Матан-ЯхӀу а, Бакхбукъ-ЯхӀу а, Ӏабди-ЯхӀу а, Машулим а, ТӀулман а, Ӏакхуби а.</verse>
				<verse number="26">Уьш берриш а гӀуллакх деш бара ЮцӀдукъан кӀентан ЮшаӀан кӀант ЯхӀу-Якхам куьйгаллехь волчу хенахь а, мехкан да Нахьми-ЯхӀу а, динан даӀелам стаг Ӏезар а волчу хенахь а.</verse>
				<verse number="27">Ярушалайман пен къобалбечу хенахь массо а левихо уьш мел Ӏаш болчу гӀаланашкара Ярушалайме схьакхайкхинера. Левихой схьакхайкхинера, пен къобалбечу хенахь тайп-тайпана дечиг-пондарш а шинна а куьйгаца дуьхь-дуьхьал тухуш долу жима цӀестан негӀарш а тухуш, Далла лерина йолу назманаш ала а, Цунна хастамаш бан а.</verse>
				<verse number="28">Массо а илланчаш схьагулбеллера Ярушалаймана гонахарчу меттигашкара а, НатӀупат-гӀалина гонахарчу ярташкара а,</verse>
				<verse number="29">иштта Байт-Галгалара а, ГибаӀ-гӀалин а, Ӏазмаватан а аренашкара а. Цу заманахь илланчаша Ярушалаймана гонах ярташ йинера.</verse>
				<verse number="30">Динан дайша а, левихоша а Далла хьалха цӀанваларан Ӏадат кхочушдира. Иштта халкъана тӀехь а, гӀалин кевнашна тӀехь а, гӀалин пенна тӀехь а кхочушдира цара цӀена хуьлу Ӏадат.</verse>
				<verse number="31">ТӀаккха аса яхӀудхойн куьйгалхой пенна тӀе хьала а баьхна, уьш цигахь дӀахӀиттийра. Илланчийн йоккха ши тоба а схьакъастийра аса, цаьрга Далла хастамаш беш йолу назманаш алийта. Царах цхьа тоба пенна тӀехула аьтту агӀонгахула Кхеллин ков долчу дӀаяха езаш яра.</verse>
				<verse number="32">Царна тӀаьхьахӀоьттина ХӀушаӀ-ЯхӀу а вара, шеца цхьаьна ЯхӀудан халкъан баьччанийн ахтоба а йолуш.</verse>
				<verse number="33">Иштта царна тӀаьхьахӀиттина боьлхуш бара Ӏазар-ЯхӀу, Ӏезар, Машулим,</verse>
				<verse number="34">ЯхӀуд, Бен-Яман, ШамӀа-ЯхӀу, Ярми-ЯхӀу.</verse>
				<verse number="35">Цхьаболу динан дай а бара цигахь, шайн карахь турбанаш а йолуш. Иштта царна тӀаьхьахӀоьттина воьдуш ЯхӀунатин кӀант Закри-ЯхӀу а вара (ЯхӀуната ШамӀа-ЯхӀун кӀант хилла, ШамӀа-ЯхӀу Матан-ЯхӀун кӀант хилла, Матан-ЯхӀу Мика-ЯхӀун кӀант хилла, Мика-ЯхӀу Закхуран кӀант хилла, ткъа Закхур Асайпан кӀант хилла).</verse>
				<verse number="36">Цигахь Асайпан гергарнаш а бара: ШамӀа-ЯхӀу, Ӏазариал, Милали, Гилали, МаьӀи, Натунаил, ЯхӀуд, Хьанани. Церан карахь Делан стаг волчу Дауда лоькхучу тайпана гӀирсаш бара. Царна массарна а хьалхаваьлла воьдуш Ӏелам стаг волу Ӏезар а вара.</verse>
				<verse number="37">Уьш Шовданан ков долчу агӀор дӀабирзира. Даудан гӀалин ламеш тӀехула уьш пенан лакхенна тӀе хьалабевлира. Даудан цӀенна тӀехула а бевлла, уьш малхбалехьа, Хин ков долчу агӀор, дӀабахара.</verse>
				<verse number="38">Илланчийн шолгӀа тоба, аьрру агӀор а йирзина дӀаяхара. Уьш пенна тӀехула лелачу хенахь, со схьагулделлачу адамийн шолгӀачу тобанца царна тӀаьхьа воьдуш вара. Пешийн бӀаьвнах тӀех а девлла, тхо Шуьйрачу пенна тӀе кхаччалц дӀадахара.</verse>
				<verse number="39">Цул тӀаьхьа Эпрайман а, Ширачу кевнах а, иштта ЧӀерийн кевнах а тӀехбевлира уьш. Цигара Хьананиалан бӀаьвнах, Меа олучу бӀаьвнах а тӀехбевлира уьш. УьстагӀийн кевнна тӀе кхаччалц дӀа а бахана, ГӀаролан кевнна уллохь севцира уьш.</verse>
				<verse number="40">Цул тӀаьхьа илланчийн ши тоба Делан цӀийнан кертахь шайн-шайн йолчу метте дӀахӀоьттира. Со а, хьаькамийн ахтоба а дӀахӀоьттира тхешан метте.</verse>
				<verse number="41">Шайн-шайн метте, карахь турбанаш а йолуш, дӀахӀиттира динан дай болу Элъякъим, МаӀсей-ЯхӀу, Мин-Яман, Мика-ЯхӀу, ЭлъюӀинай, Закри-ЯхӀу, Хьанан-ЯхӀу.</verse>
				<verse number="42">Иштта Делан цӀийнан кертахь шайн-шайн метте дӀахӀиттира динан дай болу МаӀсей-ЯхӀу, ШамӀа-ЯхӀу, ЭлиӀазар, Ӏузи, ЯхӀу-Хьана, Малки-ЯхӀу, Ӏейлам, Эзар. Илланчийн шинна а тобано, чӀогӀа мохь а тухуш, назма элира. Эшарш локхучу тобанийн куьйгалхо Израхь-ЯхӀу вара.</verse>
				<verse number="43">Цу дийнахь дуккха а сагӀанаш дехира цара. Массо а стаг чӀогӀа самукъадаьлла вара, Дала шайна доккха хазахетар хилийтина дела. Зударий а, бераш а самукъадаьлла лелара. Ярушалаймера схьа геннахь хезаш дара самукъане аьзнаш.</verse>
				<verse number="44">Цу дийнахь билгалбехира чӀоьнаш карахь долу нах. ХӀора доьзало деш долу совгӀаташ — дуьххьара схьабевлла болу стоьмаш а, ялтин уьтталгӀа долу дакъа а — цу чӀоьнаш чохь лардан дезаш дара. ГӀаланашна гонах долчу кхаш тӀера цара чӀоьнаш чу схьадан дезаш дара товрат-хьехамаша динан дайшна а, левихошна а лерина долу дакъош, хӀунда аьлча яхӀудхой чӀогӀа хазахетта бара цигахь гӀуллакх дечу динан дайшна а, левихошна а.</verse>
				<verse number="45">Цу динан дайша а, левихоша а шайн Далла гӀуллакх а дора, нахана юкъахь Далла хьалха цӀена хуьлу Ӏадат кхочуш а дора. Илланчашца а, Делан цӀийнан кевнехь болчу гӀаролхошца а цхьаьна цара кхочушдора Дауда а, цуьнан кӀанта Сулима а дина весеташ.</verse>
				<verse number="46">ХӀунда аьлча дуккха а хьалха, Даудан а, Асайпан а хенахь дуьйна, баркалла олуш йолчу эшаршна тӀехь а, Далла хастам беш олуш йолчу назманашна тӀехь а куьйгалла дора илланчаша.</verse>
				<verse number="47">Зурбабелан а, Нахьми-ЯхӀун а заманахь массо а исраилхоша илланчашна а, кевнехь болчу гӀаролхошна а хӀора денна лерина долу рицкъа схьадахьара Делан цӀийнан керта. Халкъо левихошна дӀалора царна догӀуш долу дакъа, ткъа цунах АхӀаронан тӀаьхьенна догӀуш долу дакъа левихоша оцу тӀаьхьене дӀакхачадора.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="13">
				<verse number="1">Цу дийнахь Муса-пайхамаран тептар массо а халкъана хозуьйтуш дӀадийшира. Цу тӀехь царна дӀаяздина карийра, цхьа а Ӏамминхо а, муабахо а цкъа а Делан халкъах дӀакхета йиш йолуш вац аьлла.</verse>
				<verse number="2">Иза иштта хилла, хӀунда аьлча уьш Исраилан халкъана баьпкаца а, хица а дуьхьал ца баьхкинера. Цара БалиӀам шайгахьа ваьккхина, цуьнга исраилхошна неӀалт кхайкхадайта. Амма вайн Дала, и неӀалт царна тӀера дӀа а даьккхина, цунах декъалдар хилийтира.</verse>
				<verse number="3">И товрат-хьехам шайна дӀахезча, исраилхоша кхидолу къаьмнех мел верг шайх дӀакъастийра.</verse>
				<verse number="4">Амма и хӀума хилале тхан Делан цӀийнан чӀоьнаш карахь йолчу динан дас Элишуба (иза ТӀуби-ЯхӀун захалойх стаг вара),</verse>
				<verse number="5">ТӀуби-ЯхӀуна йоккха цхьа чоь дӀаелира. Тохара цу чоьнна чу наха деанера кӀен сагӀанаш а, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а, пхьегӀаш а, иштта левихошна а, илланчашна а, Делан цӀийнан кевнехь болчу гӀаролхошна а деана долчу ялтих а, керлачу чагӀарх а, зайтдаьттанах а уьтталгӀа дакъа а, иштта динан дайшна деана долу совгӀаташ а.</verse>
				<verse number="6">И хӀума хиллачу хенахь со Ярушалаймехь вацара. Бавелан паччахь Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу ткъе шуьйтталгӀачу шарахь со паччахь волчу юхаваханера. Цхьа хан яьлча, аса юха а паччахье сайна Ярушалайме дӀаваха пурба дийхира.</verse>
				<verse number="7">Со Ярушалайме схьакхаьчча, суна хиира Элишубера даьллачу зуламах лаьцна. Цо ТӀуби-ЯхӀуна Делан цӀийнан кертахь йолу цхьа чоь дӀаеллера!</verse>
				<verse number="8">Со чӀогӀа оьгӀазвахара, сайна и хӀума хезча. Цундела аса ТӀуби-ЯхӀун салпал цу чуьра аракхоьссира.</verse>
				<verse number="9">Аса тӀедиллира, и чоь дӀа а цӀанйина, цу чохь хилла йолу Делан цӀа чуьра пхьегӀаш а, наха схьадеана долу кӀен сагӀанаш а, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а шаьш хиллачу метте охьахӀиттае аьлла.</verse>
				<verse number="10">Суна иштта хиира, левихошна дӀадала дезаш долу дакъош дӀалуш ца хиллийла а. Цундела Далла Ӏамал ечу хенахь гӀуллакх дан дезаш болу левихой а, илланчаш а шайн-шайн кхашка юхабирзинера.</verse>
				<verse number="11">Аса хьаькамех и хӀума бахьана долуш бехк баьккхира. Аса цаьрга хаьттира: «Делан цӀа дола ца деш хӀунда дитина?» аьлла. Цул тӀаьхьа, массо а левихо схьа а гулвина, аса уьш юха а церан гӀуллакхаш дан дӀахӀиттийра.</verse>
				<verse number="12">Цул тӀаьхьа массо а исраилхочо шайн ялтех а, керлачу чагӀарх а, зайтдаьттанах а долу уьтталгӀа дакъа Делан цӀийнан чӀоьнаш чу схьадеара.</verse>
				<verse number="13">Делан цӀа чуьра чӀоьнаш хӀокху нехан кара дӀаелира аса: динан да волу Шалам-ЯхӀу, Ӏелам стаг волу ЦӀадукъа, левихо волу Пади-ЯхӀу. Ткъа Матан-ЯхӀун кӀентан Закхуран кӀант Хьанан церан гӀоьнча санна дӀахӀоттийра аса. Аса уьш хаьржинера, хӀунда аьлча уьш тешаме лоруш нах бара. Царна тӀедиллина дара наха схьадеанчу хӀуманах шайн гергарчарна дакъа дар.</verse>
				<verse number="14">Ва сан Дела, аса и хӀума дар бахьана долуш со дагаваийтахьа Хьайна. Диц ма дехьа аса сайн Делан цӀийнан а, цу чохь а, цуьнан кертахь а дечу гӀуллакхийн а дуьхьа тешаме хиларца лелийнарг!</verse>
				<verse number="15">Цу деношкахь ЯхӀуд-махкахь Далла леринчу шоьтан дийнахь болх беш болу нах гира суна. Цара кемсаш а хьоьшура, царах чагӀар даккхархьама. Иштта шайн варраш тӀе цӀевнаш а, чагӀар а, кемсаш а, инжираш а, тайп-тайпана кхийолу хӀуманаш а тӀеюттура, уьш шоьтан дийнахь Ярушалайме дӀа а яьхьна, дӀайохкархьама. Аса цу нахах чӀогӀа бехк баьккхира, сайна цара шоьтан дийнахь даа хӀума дӀадухкуш гича.</verse>
				<verse number="16">Ярушалаймехь бехаш болчу цорахоша а дахьара чӀерий а, кхидолу сурсаташ а Ярушалайме, уьш шоьтан дийнахь яхӀудхошна дӀадохкархьама.</verse>
				<verse number="17">Аса яхӀудхойн лоруш болчу нахе бехк баьккхира и хӀума бахьана долуш. Аса цаьрга элира: «И хӀун зулам ду аша деш дерг? Далла лерина долу шоьтан де сийсаз ма доккху аша!</verse>
				<verse number="18">Изза хӀума шун дайша а леладора. Цундела вайн Дала вайна а, хӀокху гӀалина а тӀе боккха бала а, бохам а боссийра. Ткъа шу хӀинца Цуьнга Исраилан халкъана кхин а чӀогӀа оьгӀазло яйта гӀерташ ду, шоьтан де сийсаза а дохуш».</verse>
				<verse number="19">Цул тӀаьхьа аса тӀедиллира, пӀерасканан дийнахь суьйранна, Ярушалайман кевнаш бода тӀебогӀучу хенахь, гӀалин кевнаш дӀа а къовлий, шоьтан де дӀадаьлча бен, уьш схьа ма делла аьлла. Кевнийн неӀарш ларъян сайна тешаме болу нах дӀахӀиттийра аса. Церан Ӏалашо яра шоьтан дийнахь цхьа а тайпана мохь Ярушалайма чу ца баийтар.</verse>
				<verse number="20">Цкъа-шозза совдегарш а, тайп-тайпана хӀуманаш йохкархой а Ярушалайме шаьш чу ца бовлийтича, гӀалина арахь буьйсанаш йохуш бара.</verse>
				<verse number="21">Аса цаьрга, чӀогӀа бехк а боккхуш, элира: «ГӀалин пенна уллохь буьйсанаш стенна йоху аша? Кхин и санна дерг шуьгара далахь, аса шу ницкъаца дӀадохур ду». Цул тӀаьхьа уьш кхин ца богӀура шоьтан дийнахь йохкаэцар лело.</verse>
				<verse number="22">Аса левихошна тӀедиллира, Далла хьалха цӀена хуьлу Ӏадат кхочушде аьлла. Уьш цул тӀаьхьа гӀалин кевнаш лардан дезаш бара, шоьтан де Далла лерина хилийтархьама. И хӀума бахьана долуш, ва сан Дела, со Хьайна дагаваийтахьа! Хьайн боккхачу безаме хьаьжжина, къинхетам бехьа сох!</verse>
				<verse number="23">Цу деношкахь суна иштта гира, яхӀудхоша шайна ашдодхойх а, Ӏамминхойх а, муабахойх а болу зударий балийна хилар.</verse>
				<verse number="24">И хӀума бахьана долуш церан берех ахдакъа ашдодхойн, я вукху къаьмнийн мотт буьйцуш дара, яхӀудхойн мотт биц а бина.</verse>
				<verse number="25">Аса цу нахе бехк а баьккхира, царна неӀалт а кхайкхийра, царах цхьаболчарна етта а йиттира, церан месаш а ийзош. Делан цӀарах иштта чӀагӀо яйтира ас цаьрга: «Дала тхуна таӀзар дойла, оха тхайн зудабераш цаьрга маре дахийтахь а, я церан зудабераш тхайн кӀенташна даладахь а, я оха-тхаьш церан зударий балабахь а.</verse>
				<verse number="26">Ас элира: „Шуна хууш ду, кхечу къаьмнех болу зударий балор бахьана долуш, исраилхойн паччахь волчу Сулима шех къа латийна хилар. Ткъа кхечу къаьмнийн бацара Сулим-паччахь санна болу сийлахь паччахьаш. Далла везаш а вара Сулим-паччахь. Цундела Цо иза дерриг а Исраилан халкъана тӀехь паччахь вина дӀа а хӀоттийнера. Амма кхечу къаьмнех болчу зударша ур-атталла цуьнга а къинош летадайтира.</verse>
				<verse number="27">Ткъа хӀинца тхуна хезаш ду, шу а и тайпана доккха зуламаш лелош ду бохуш. Хийрачу къаьмнех болу зударий шайна балорна, шу Далла тешаме ма дац!“</verse>
				<verse number="28">ЯхӀу-ЯдаӀ динан коьрта да волчу Элишубан кӀант вара. Ткъа ЯхӀу-ЯдаӀан цхьа кӀант хьоронхо волчу Санбулатан нуц вара. Иза аса Ярушалайм-гӀалара эккхийна дӀавахийтира.</verse>
				<verse number="29">Дагахь латтабе уьш, сан Дела! Динан дайн дарж а, Ахьа динан дайшца а, левихошца а бина барт а ма бехбина цара!</verse>
				<verse number="30">Аса исраилхой иштта цӀанбира хийрачу къаьмнаша схьа мел кхехьначух. Юха, динан дайшна а, левихошна а дан дезаш долу гӀуллакхаш билгалдехира аса, хӀораннан а шен гӀуллакх хилийтархьама.</verse>
				<verse number="31">Билгалъяьхначу хенашкахь сагӀанаш дагорна лерина долу дечиг Ӏалашдаран Ӏадат дӀахӀоттийра ас. Иштта Аса билгалдаьккхира, дуьххьара болу стом а, дуьххьара долу ялта а наха маца схьадан деза. Сан диканна Хьайн дагахь латтадехьа и дерриг а, ва сан Дела!»</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="17">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">ХӀара хӀума хилла Ахьаш-Варуша паччахьалла дечу заманчохь. Ахьаш-Варуша паччахьалла деш хилла Индина тӀера Хуша-махкана тӀекхаччалц йолчу цхьа бӀе ткъе ворхӀ меттигна тӀехь.</verse>
				<verse number="2">Кху дийцар тӀехь юьйцучу хенахь Ахьаш-Варуша Шушан-гӀалин гӀопахь лаьтташ долчу паччахьан гӀанта тӀера паччахьалла дора.</verse>
				<verse number="3">Ша паччахьалла дечу кхозлагӀчу шарахь Ахьаш-Варуша шен массо а элашний, шена уллохь гӀуллакх деш болчарний лерина той хӀоттийра. Парсихойн а, мадайхойн а эскарийн хьаькамаш а, паччахьан цӀийнах схьабевлларш а, цуьнан олаллина кӀел йолчу меттигийн куьйгалхой а бара цу тойнехь.</verse>
				<verse number="4">И той чӀогӀа деха лаьттира: бӀе дезткъа дийнахь. Ахьаш-Варуша шен пачхьалкхан хьал а, цуьнан исбаьхьа хазалла а дӀагойтура хьешашна.</verse>
				<verse number="5">И бӀе дезткъа де дӀадаьллачул тӀаьхьа паччахьо Шушан-гӀалин гӀопахь дехаш долчу шен халкъана кхин а цхьа той дӀахӀоттийра. И той ворхӀ дийнахь лаьттира паччахьан цӀийнан бешахь йолчу кертахь. Цига кхайкхина вара уггар къечунна тӀера уггар а хьалдолчу стагана тӀекхаччалц волу цу гӀопара массо а вахархо.</verse>
				<verse number="6">И керт яра кӀайчу а, сийначу а басахь долчу втанан кӀадешца кечйина. Уьш кӀайн а, цӀарула-цӀен а долчу кӀадинах йинчу тӀергашца шагатӀулган бӀогӀамашна тӀе даточу хӀазаршца дӀатесна яра. Деших а, детих а йина садаӀа меттигаш яра уьйтӀахь кечйина. И уьйтӀе, баьццара тӀулгаш а, шагатӀулгаш а, лахьорчах йоккхуш йолу хӀума а, иштта Ӏаьржа тӀулгаш а дехкина, кечйина яра.</verse>
				<verse number="7">Хьешашна тӀекхоьхьуш долу маларш цхьаъ вукхунах тера доцучу дашочу кедаш чохь дахьаш дара. Паччахьан чагӀар цуьнан хьоле хьаьжжина дукха дара.</verse>
				<verse number="8">Ца луучунна малар малийтар тӀе ца дожадора, хӀунда аьлча паччахьо дина омра дара, хӀоранга а шена луъучу кепара малар малийта аьлла.</verse>
				<verse number="9">Паччахьан зудчо Вашатис а хӀоттийнера паччахьан цӀа чохь болчу зударшна лерина долу той.</verse>
				<verse number="10">ВорхӀалгӀачу дийнахь, шен дог чагӀар бахьана долуш самукъадаьлла дӀахӀоьттинчу меттехь, паччахьо шен ваьӀна волчу ворхӀ ялхочуьнга МахӀу-Манига, Бизатига, Хьарбунига, БигӀатига, АбагӀтига, Зитарга, иштта КӀаркасе а омра дира,</verse>
				<verse number="11">шен зуда-паччахь, шен таж коьрта тӀехь а долуш, схьаялае аьлла. Цунна лиира дерриг а халкъана а, массо а элашна а цуьнан исбаьхьа хазалла дӀагайта. Зуда-паччахь Вашати чӀогӀа хаза яра.</verse>
				<verse number="12">Амма Вашатина ца лиира паччахьо шега баьӀначу ялхошкахула дина долу омра кхочушдан. Паччахь чӀогӀа оьгӀазвахара. Иза, дарвелла, кхехкаш вара.</verse>
				<verse number="13">Ӏедал девзаш болчу массо а хьехамчашца пачхьалкхан гӀуллакхаш лелош вара паччахь. Цундела цо дӀаяхана йолу зама евзаш болчу хьекъалалла долчаьрга хатта сацам бира, ша хӀун дан деза аьлла.</verse>
				<verse number="14">Паччахьан уггар уллохь болчу хьехамчийн цӀераш яра: Каршани, ШетӀур, Адмати, Таршаш, Марас, Марсани, Мамихан. Парсихойн а, мадайхойн а и ворхӀ эла паччахьна паргӀат тӀекхача йиш йолуш вара. Уьш пачхьалкхехь уггар а лакхарчу даржехь бара.</verse>
				<verse number="15">Паччахьо цу элашка хаьттира: «Вайна юкъахь лелаш долчу гӀиллакхашца аса паччахь йолчу Вашатина хӀун таӀзар дан деза? Цо паччахь волчу Ахьаш-Варуша ялхошкахула шега аьлларг кхочуш ца дина».</verse>
				<verse number="16">ТӀаккха Мамихана вукху элашна хьалха жоп делира паччахьна: «Паччахьна хьалха бехке хилла ца Ӏа Вашати. Иза массо а элашна хьалха а, Ахьаш-Варушан пачхьалкхехь массо а меттигашкахь дехаш долчу дерриг а къаьмнашна хьалха а ю бехке.</verse>
				<verse number="17">Вашатис динарг шайна дӀахиъча, массо а зударий, шайн майранашца ларам боцуш, дӀахӀуьттур бу. Цара эр ду: „Паччахь волчу Ахьаш-Варуша, Вашати схьаялае аьлла, омра дина хилла, амма цо шега бохург ца дина“.</verse>
				<verse number="18">ХӀинцачул тӀаьхьа парсихойн а, мадайхойн а элийн зударий, паччахьан зудчо динарг шайна дӀахезча, шайн майранашка изза жоп луш хир бу. Царна юкъахь цадашар а, дералла а кхоллалур ю.</verse>
				<verse number="19">Паччахьан лаам хилахь, цо шен сацам дӀакхайкхо беза. И лакхарчу Ӏедалан сацам парсихойн а, мадайхойн а халкъашна юкъахь лелаш хила а беза, цкъа а юкъара дӀа а ца боккхуш. Цу сацамца паччахьан зуда Вашати кхин Ахьаш-Варуш волчу чуяха йиш йолуш хила ца еза. Ткъа Вашатин паччахьан дарж цул а дикаха йолчу кхечу зудчуьнга дӀадала деза паччахьо.</verse>
				<verse number="20">И паччахьан сацам доза ца хиллал йоккхачу массо а пачхьалкхехь нахана дӀахиъначул тӀаьхьа, массо а зударий шайн майранаш лоруш хир бу, цӀе яхна болчарна тӀера дуьйна кӀезигчу нахана тӀекхаччалц».</verse>
				<verse number="21">Паччахьна а, цунна уллохь болчарна а чӀогӀа тайра Мамихана аьлларг. Ахьаш-Варуша, шен эла волчу Мамихана ма-аллара, сацам тӀеийцира.</verse>
				<verse number="22">Цо шен пачхьалкхан массо а маьӀӀе кехаташ дахьийтира. И кехаташ хӀора меттиган абатан низамехь а, хӀора цигахь дехаш мел долчу халкъан маттахь а яздина дара. Цу кехаташ тӀехь аьлла дара, хӀора майра шен доьзалехь эла ву, ткъа цуьнан цӀахь майрачун мотт бен ма бийца аьлла.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">ТӀаьхьо, шен оьгӀазалла дӀаяьлча, Ахьаш-Варуша Вашатих лаьцна ойла йора. Цо динчух а, ша иза бахьана долуш бинчу сацамах а лаьцна яра цуьнан ойла.</verse>
				<verse number="2">ТӀаккха цунна уллохь болчу ялхоша элира: «Паччахьна къона а, хаза а мехкарий лаха беза.</verse>
				<verse number="3">Паччахьо хаьржина болчу баьччанаша пачхьалкхан массо а маьӀӀера хаза зудабераш схьахаржа деза. Цул тӀаьхьа уьш Шушан-гӀалин гӀопе схьадало а деза. И зудабераш паччахьан зударий чохь Ӏаш долчу цӀа чу а дигна, ваьӀна волу коьрта ялхо волчу ХӀигайн куьйга кӀел охьаховшо деза, хӀоранна а чкъор хаза хуьлуьйтуш долу хьакхарш а делла.</verse>
				<verse number="4">Паччахьна хазахетта йолу йоӀ Вашатин метта дӀахӀотто еза». Паччахьна и хьехам чӀогӀа тайра, цундела цо иза кхочушбан омра дира.</verse>
				<verse number="5">Шушан-гӀалин гӀопахь вехаш Ӏаш цхьа жуьгти хилла, Мардахай цӀе а йолуш, Бен-Яманан тайпанах а волуш. Иза Къушин кӀант волчу ШамаӀин кӀентан Яиран кӀант хилла.</verse>
				<verse number="6">Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара ЯхӀуд-махкахь паччахь волу ЯхӀу-Яхин Ярушалайм-гӀалара йийсаре валийча, иза а, кхечарна юкъахь, йийсаре валийна хилла.</verse>
				<verse number="7">Цуьнан, ХӀадаси цӀе а йолуш, ден вешин йоӀ хилла. ЙоӀан я да а, я нана а ца хилла, цундела иза Мардахайс дола деш лелош хилла. ХӀадасин дай-наний кхелхинчул тӀаьхьа, цо шен йоӀ санна лелош хилла иза. ХӀадасин, Эсират аьлла, кхин а цхьа цӀе йоккхуш хилла. Цуьнан юьхь-сибат а, дегӀ а чӀогӀа хаза а, куц долуш а дара.</verse>
				<verse number="8">Паччахьан сацам нахана дӀахаийтинчул тӀаьхьа дукха зудабераш схьадалийра Шушан-гӀалин гӀопе. Уьш паччахьан зударий ларбеш волчу ХӀигайн куьйга кӀел дӀаделира. Эсират а, паччахьан гӀишлошна чу а ялийна, ХӀигайн куьйга кӀел дӀаелира.</verse>
				<verse number="9">ХӀигайнна чӀогӀа хазахийтира Эсират, цундела иза цуьнца къаьсттина дика вара. Цо цунна хьакхарш а делира, цуьнан гӀуллакх дайта паччахьан ялхойх йолу ворхӀ йоӀ а елира. Эсират а, цуьнан гӀуллакх деш долу зудабераш а, зударий чохь Ӏаш болчу цӀийнан уггар а дика чоьнаш а елла, охьаховшийра цо.</verse>
				<verse number="10">Эсирата шен къомах а, шен гергарчу нахах а лаьцна цхьа а хӀума ца дуьйцура, хӀунда аьлча Мардахайс цунна, хӀумма а ма дийца аьлла, тӀедиллинера.</verse>
				<verse number="11">Мардахай хӀора дийнахь зударий Ӏаш болчу цӀийнан кертана уллохь лелаш хуьлура, хӀунда аьлча цунна хаа лаьара, Эсиратан хьал-де муха ду.</verse>
				<verse number="12">Ахьаш-Варуш-паччахьан цӀа чу яхале, хӀора йоӀа шийтта баттахь шена хьакхарш хьекха дезаш хуьлура — ялх баттахь деза даьтта а хьоькхуш, ткъа вукху ялх баттахь духӀиш а, кхидолу зударийн хьакхарш а хьоькхуш.</verse>
				<verse number="13">Цул тӀаьхьа иза паччахьан цӀа чу йоьдура. Иза паччахьан цӀа чу йоьдуш, зударий Ӏаш болчу хӀусамера ша езаялийта шена луъург схьаэца магийна дара.</verse>
				<verse number="14">Суьйранна иза паччахь волчу буьйса яккха дахаза долчу зудаберашна юкъара йолий, паччахь волчу чуйоьдуш хилла, ткъа Ӏуьйранна паччахьан зударий болчу дӀайоьдуш хилла, ШаӀа-Шагиз бохуш цӀе а йолуш, паччахьан гӀарбаш-зударшна тӀехь Ӏуналла деш волчу ваьӀна ялхочун куьйга кӀел. Паччахьан цӀа чу кхин йоьдуш ца хилла и йоӀ, цо цӀе а яьккхина, цуьнга дӀакхайккхалц.</verse>
				<verse number="15">ТӀаьххьара а Эсират паччахь волчу чуйоьду хан тӀекхечира. Шен деваша волчу Абу-ХӀаилан йоӀ йолу Эсират Мардахайс, шен йоӀ санна, тӀелаьцна хилла. Паччахь волчу чуйоьдучу хенахь, паччахьан зударий ларбеш волчу ваьӀначу ялхочо ХӀигайс шена хьехам бинарг бен, хӀумма а ца дийхира цо. Эсират дӀагинчарна массарна а хазахеташ хилла.</verse>
				<verse number="16">Паччахьан цӀа чу Ахьаш-Варуш волчу Эсирате дӀакхайкхира цуьнан паччахьалла лаьттачу ворхӀалгӀачу шеран уьтталгӀачу Табат олучу баттахь.</verse>
				<verse number="17">Паччахьна Эсират массо а зударел а дукхаезаелира. Цундела иза цуьнца дика а вара, цунна реза а вара. Ахьаш-Варуша Эсиратан коьрта тӀе паччахьан таж а диллира, иза Вашатин метта паччахьан зуда йина дӀа а хӀоттийра.</verse>
				<verse number="18">Паччахьо Эсиратан сийнна доккха той хӀоттийра, цига массо а элий а, баьччанаш а кхойкхуш. Массо а шен пачхьалкхан меттигашна цо цхьа деза де дӀахӀоттийра. Ша комаьрша паччахь хиларе терра, цо дукхахболчарна совгӀаташ дахьийтира.</verse>
				<verse number="19">Зудабераш, паччахьца хиллачул тӀаьхьа, кхечу метте схьагулдечу хенахь Мардахай паччахьан кевнна уллохь шена тӀедиллина долу гӀуллакхаш деш хилла.</verse>
				<verse number="20">Эсирата, Мардахайс шега ма-аллара, цхьаьнгге а ца дуьйцура, ша мича тайпанах ю а, мича къомах ю а. Цуьнан йоӀ санна, Мардахайн куьйга кӀел ша хиларе терра, Эсирата ладугӀура Мардахайга.</verse>
				<verse number="21">Мардахай паччахьан кевнна уллохь шена тӀехь долу гӀуллакх деш волчу хенахь, цунна хиира, паччахьан цӀа чу боьду некъ ларбеш болчарах ши гӀаролхо волу БагӀтани а, Тараш а, Ахьаш-Варушана оьгӀаз а вахана, иза вен барт беш вуйла.</verse>
				<verse number="22">Иза шена хиъча, Мардахайс и хӀума паччахьан зуда йолчу Эсирате дӀадийцира, ткъа Эсирата иза Ахьаш-Варуш-паччахье дийцира. Мардахайн цӀарах цо иштта хаам а бира.</verse>
				<verse number="23">Мардахайс аьлларг теллинчул тӀаьхьа, паччахьна дӀахиира, иза баккъал а бакъ дуйла. Паччахь вен барт бина волу ши гӀаролхо дитта тӀехь ирхъоьллира, ткъа паччахьна хьалха и массо а гӀуллакхаш паччахьан хиламийн тептар тӀехь дӀаяздира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">Цул тӀаьхьа паччахь волчу Ахьаш-Варуша, чӀогӀа сий деш, хьалаайинера агӀагхо волчу ХӀамдатин кӀант ХӀаман. Цо иза, массо а элел а лакхара вина, дӀахӀоттийнера.</verse>
				<verse number="2">Паччахьан кевнехь гӀуллакх деш болу массо а элий, ХӀаманна хьалхахь охьа а теӀаш, корта бетташ хуьлура. Иза царна паччахьо тӀедиллина дара. Ткъа Мардахай я охьа а ца таьӀара ХӀаманна хьалхахь, я цунна корта а ца беттара цо.</verse>
				<verse number="3">Паччахьан кевнехь гӀуллакх деш болчу паччахьан ялхоша хоьттура Мардахайга: «Паччахьо аьлларг кхочуш хӀунда ца до ахьа?»</verse>
				<verse number="4">ХӀора дийнахь бохург санна паччахьан элаша и хеттарш дора Мардахайга, амма цо ХӀаманна корта бетта аьлла долу паччахьан омра кхочуш ца дора. ТӀаккха элаша иза ХӀамане дӀадийцира. Царна хаа лаьара, чекхдер дуй те Мардахайн иштта лелар. Ткъа Мардахайс кхин а хьалха цу элашка дӀадийцина хилла, ша жуьгтий ву аьлла.</verse>
				<verse number="5">Шена Мардахайс, охьа а таьӀаш, корта ца беттар гича, ХӀаман чӀогӀа оьгӀазвахара.</verse>
				<verse number="6">Цунна кӀезиг хӀума хийтира цхьа Мардахай вийна Ӏар. Цундела цо, Мардахай жуьгтийн къомах вуй шега дийцарна, Ахьаш-Варушан пачхьалкхехь болу массо а жуьгтий хӀаллакбан бахьана лоьхура.</verse>
				<verse number="7">Ахьаш-Варушан паччахьаллин шийтталгӀачу шеран Нисан цӀе йолчу хьалхарчу баттахь ХӀаманна хьалха «пур» (иза «кхаж» бохург ду) тесира, де а, бутт а къастош, жуьгтий хӀаллакбан лерина хан билгалъяккхархьама. Иштта Адар цӀе йолчу шийтталгӀачу беттан кхаж белира.</verse>
				<verse number="8">Ахьаш-Варуш волчу а веана, ХӀамана элира: «Хьан къаьмнашна юкъахь, пачхьалкх мел ю, массо а маьӀӀехь дӀасадаьржина цхьа къам ду. Кхечу къаьмнийн доцу Ӏедалш ду цу къоман, ткъа цара пачхьалкхехь дӀахӀоттийна долу Ӏедалш кхочуш а ца до. Цундела паччахьо уьш иштта лелийта ца оьшу.</verse>
				<verse number="9">Паччахьан лаам хилча, ас цуьнга цхьа кховдор дийр дара. И нах хӀаллакбе аьлла, хьан омра хилча, аса итт эзар гали дато ахча дохьуьйтур дара хьан хазне, хьан хьал лардеш болчу нахе дӀадала».</verse>
				<verse number="10">ТӀаккха паччахьо шен пӀелга тӀера мухӀар, схьа а даьккхина, жуьгтийн мостагӀа волчу а, агӀагхо волчу а ХӀамдатин кӀанте ХӀамане дӀаделира. Цо иза, жуьгтий хӀаллакбе аьлла, шен омра чӀагӀдеш дӀаделира.</verse>
				<verse number="11">Паччахьо ХӀамане элира: «ХӀара дети хьуна дӀаделла ду, ткъа цу халкъана хьайна луъург де».</verse>
				<verse number="12">Хьалхарчу беттан кхойтталгӀачу дийнахь схьакхайкхира паччахьан кехаташ яздархой. Цара ХӀаманан омранаш дӀаяздира пачхьалкхехь массо а меттигашкахь дехаш долчу къаьмнийн меттанашкахь а, церан йозанца а. И кехаташ паччахьан тхьамданашка а, хӀора меттиган куьйгалхошка а, хӀора къоман баьччанашка а яздина дара. И кехаташ паччахьан цӀарах яздина дара, цуьнан мухӀарца чӀагӀдина а дара.</verse>
				<verse number="13">Геланчаша и кехаташ пачхьалкхан массо а маьӀӀе дӀасадаьхьира. Цу кехаташ тӀехь яздина дара, массо а жуьгтех волу стаг, къона а, къена а, бер а, зуда а ца къастош, цхьана дийнахь хӀаллакбе, ткъа церан бахам схьа а баккха аьлла. Массо а жуьгтий байа безаш билгалдаьккхина долу де дара шийтталгӀачу Адар беттан кхойтталгӀа де.</verse>
				<verse number="14">ХӀора пачхьалкхана чуйогӀуш йолчу меттигехь цу кехат тӀехь дӀаязбина сацам, нахана хьалха дӀа а бешна, гучубаккха безаш бара, уьш цу дийнахь кийча хилийтархьама.</verse>
				<verse number="15">Паччахьан омрица массо а геланча сихха новкъа велира. Паччахьан сацам Шушан-гӀалин гӀопахь долчу халкъана дӀабийшира. Паччаххьий, ХӀаманний молуш Ӏаш вара, ткъа Шушан-гӀалахь дехаш долу адамаш карзахдевлла хьийзаш дара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">Шена паччахьан сацамах лаьцна дерг хиъча, Мардахайс шена тӀера бедарш этӀийра. Цо, вон тӀедеача юхуш йолу бедарш шена тӀе а юьйхина, коьрта тӀе чимаш тесира. ЧӀогӀа воьлхуш гӀала аравелира иза.</verse>
				<verse number="2">Паччахьан кевнна улло дӀа а вахана, цигахь сецира иза, хӀунда аьлча сингаттаман духар дуьйхина верг цӀа чу ваха бакъо йолуш вацара.</verse>
				<verse number="3">Паччахьан сацам дӀакхаьчначу массо а маьӀӀехь боьлхуш, тийжаш бара нах. Марха а кхобуш, доьлхуш дара адам, дукхах болу жуьгтий, сингаттаман духар а дуьйхина, лаьттарчу чимашкахь Ӏохкуш бара.</verse>
				<verse number="4">Эсират йолчу а баьхкина, божарех а, зударех а болчу кхуьнан ялхоша Мардахайх лаьцна дийцира. ЧӀогӀа саготта яра Эсират. Цо Мардахайна тӀеюха хӀума яхьийтира, цуьнга, шена тӀера сингаттаман духар дӀа а даьккхина, уьш тӀеюхийтархьама. Амма Мардахайс уьш схьа ца ийцира.</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха Эсирата паччахьо шена тӀехӀоттийна волчу ваьӀначу ялхочуьнга ХӀатахига схьакхайкхира. Эсирата иза Мардахай волчу вахийтира, цуьнан сагатдеш дерг хӀун ду хьажа.</verse>
				<verse number="6">ХӀатахи паччахьан кевнна хьалхахь йолчу гӀалин майдане вахара, цигахь Мардахайх кхета.</verse>
				<verse number="7">Мардахайс цуьнга шена хилла долу массо а хӀума дӀадийцира. Цо иштта цунна дӀахаийтира, жуьгтий хӀаллакбархьама ХӀамана паччахьан хазне охьадилла чӀагӀо йина долу дато ахча мел ду а.</verse>
				<verse number="8">Цо иштта ХӀатахига дӀаделира, жуьгтий хӀаллакбе аьлла, паччахьан сацам тӀехь болу кехат а. И сацам цу хенахь Шушан-гӀалин массо а маьӀӀе дӀабахьийтинера. Мардахайна лаьара и сацам Эсиратана дӀабовзийла а, цунна массо а хӀума дӀахоийла а. Цо Эсиратана тӀедиллийтира, иза паччахь волчу а яхана, цуьнга шен къомах къинхетам бахьара аьлла, паччахье дехарш дар.</verse>
				<verse number="9">ХӀатахис, юха а веана, Эсирате дӀадийцира Мардахайс шега мел дийцинарг.</verse>
				<verse number="10">ТӀаккха Эсирата Мардахайга хабар дахьийтира:</verse>
				<verse number="11">«Массо а паччахьан гӀуллакх деш болчарна а, массо а халкъашна а хууш ду, хӀора зуда, я стаг, ша паччахьо тӀекхайкхина а воцуш, иза волчу чухуларчу керта водахь, и стаг, Ӏедало ма-бохху, вийна хила везаш вуйла. И санна волу стаг дийна вуьсур ву, нагахь санна паччахьо цуьнга шен дашо гӀаж дӀакховдаяхь. Ткъа со паччахьна тӀе кхайкхаза ткъе итт де дӀадаьлла».</verse>
				<verse number="12">Мардахайга Эсирата аьлла долу дешнаш дӀадийцира.</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха цо Эсирате юха а хабар дахьийтира: «Хьуна ма мотталахь, жуьгташна юкъара хьо цхьаъ, паччахьан цӀа чохь хиларна, кӀелхьаръер ю.</verse>
				<verse number="14">Нагахь санна хьо хӀинцалерчу хенахь йист а ца хуьлуш ӀадӀахь, жуьгташна гӀо кхечу меттера кхочур ду, ткъа хьо а, хьан ден цӀа а хӀаллакьхир ду. Хьанна хаьа, хӀара зама бахьана долуш кхаьчний а хьуна паччахьан дарж».</verse>
				<verse number="15">Эсирата Мардахайна дуьхьал жоп дахьийтира:</verse>
				<verse number="16">«Ваха а гӀой, Шушан-гӀалахь мел волу жуьгтий вовшах а тохий, суна тӀера марха кхаба. Кхаа дийнаххьий, кхаа бусий ца молуш, ца дууш хан яккха. Со а, сан ялхой а хир бу, шу санна, марха кхобуш. Цул тӀаьхьа со паччахь волчу гӀур ю, иза Ӏедална дуьхьал делахь а. Нагахь со яла езахь, со лийр ю».</verse>
				<verse number="17">Мардахайс, дӀа а вахана, шега Эсирата аьлларг дира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">КхозлагӀчу дийнахь Эсират, шен паччахьан зудчун бедарш тӀе а юьйхина, паччахь чохь волчу цӀийнан чухуларчу кертахь дӀахӀоьттира. И меттиг паччахьан чоьнна нийсса дуьхьал яра. Паччахь шен гӀанта тӀехь Ӏаш вара паччахьан цӀа чохь, нийсса чувогӀийла йолчу меттигна дуьххьал.</verse>
				<verse number="2">Цо, шена Эсират гича, цунна реза а хилла, иза йолчу агӀор шен карахь йолу дашо гӀаж дӀакховдийра. Эсират, тӀе а еана, цу дашочу гӀожан йистах дӀахьакхаелира.</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха паччахьо хаьттира: «Сингаттаме хӀума-м дац, паччахьан зуда Эсират? ХӀун дехар ду хьан соьга дан? Аса кхочушдийр ду хьан муьлхха а дехар, сайн ахпачхьалкх дӀаяла езахь а».</verse>
				<verse number="4">Эсирата элира: «Паччахьан лаам хилахь, тахана хьо а, ХӀаман а аса хьан дуьхьа кечдина долчу тойне вогӀийла луур дара суна».</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха паччахьо элира: «Сихха ХӀаман кхуза схьавалаве Эсиратан дехар кхочушдан». Паччахь ХӀаманца цхьаьна шайна Эсирата хӀоттийначу тойне веара.</verse>
				<verse number="6">Ша чагӀар молучу хенахь паччахьо юха а хаьттира Эсирате: «ХӀун дехар дара хьан соьга? Аса иза кхочушдийр ду. Ахьа ахпачхьалкх ехахь, аса иза а дӀалур ю».</verse>
				<verse number="7">ТӀаккха Эсирата жоп делира: «Сан дехар иштта ду:</verse>
				<verse number="8">нагахь санна паччахь суна реза а велахь, цунна сан дехар кхочушдан а лаахь, иза кхана ХӀаманца цхьаьна аса церан сийнна хӀотто леринчу тойне вогӀур ву. ТӀаккха дӀаэр ду аса паччахье сайна луург».</verse>
				<verse number="9">Цу дийнахь ХӀаман паччахь волчуьра чӀогӀа самукъадаьлла аравелира. Амма паччахьан кевнна уллохь цунна Мардахай гира. ХӀара тӀехволуш, Мардахай ХӀаманна хьала а ца гӀаьттира, цунна хьалха вега а ца вира. ТӀаккха чӀогӀа оьгӀазвахара иза цунна.</verse>
				<verse number="10">Халла сатуьйхира цо Мардахайна. Шен цӀа ваханчул тӀаьхьа, цо шен доттагӀий а, шен зуда Зеришат а схьакхайкха бахийтира.</verse>
				<verse number="11">ХӀаман дозаллаш дан волавелира, шен боккха бахам а, шен кӀентий а буьйцуш. Цо иштта дозаллица дуьйцура паччахьо ша кхечу элашна а, ялхошна а хьалха къасторх лаьцна а, иштта шена деллачу даржах лаьцна а.</verse>
				<verse number="12">Цо бохура: «Со цхьаъ ву паччахьан зудчо Эсирата паччахьца тойне кхайкхинарг. Эсирата кхана а кхайкхина тхойшинга тойне.</verse>
				<verse number="13">Амма цу хӀуманах со самукъадолуш вац. Сан са паргӀат дер дац, паччахьан кевнна уллохь Ӏаш волу жуьгти Мардахай сайна мел го».</verse>
				<verse number="14">ТӀаккха Зеришата а, массо доттагӀаша а цуьнга элира: «Шовзткъе итт дол лекха бӀогӀам дӀахӀоттабе алий, омра де. Ӏуьйранна паччахье цу тӀехь Мардахай ирхъолла ала. Цул тӀаьхьа, хьайн дог паргӀат а долуш, паччахьца тойне гӀур ву хьо». И дешнаш ХӀаманна чӀогӀа тайра. Цо омра дира, бӀогӀам дӀахӀоттабе аьлла.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="6">
				<verse number="1">Цу буьйсанна наб яйнера паччахьан. Цо, шен пачхьалкхехь хуьлуш долу массо а хӀума дӀаяздеш долу тептар схьа а даийтина, иза шена дешийтира.</verse>
				<verse number="2">Цу тептар тӀехь дӀаяздина дара Ахьаш-Варуш вен дагахь паччахьан чоь ларъеш болчу ялхоша БагӀтанис а, Тараша а къайлаха бина хиллачу бартах лаьцна а, и хӀума Мардахайна хаар бахьана долуш, цара бина болу барт кхочуш ца хиларх лаьцна а.</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха паччахьо хаьттира: «ХӀун сий а, дика а дина Мардахайна и хӀума бахьана долуш?» Ялхоша жоп делира: «Мардахайна цхьа а хӀума ца дина».</verse>
				<verse number="4">Паччахьо хаьттира: «ХӀинца мила ву кертахь?» Цу хенахь паччахьан цӀийнан арахьарчу керта ХӀаман веара. Иза, паччахье ша кечбинчу бӀогӀам тӀе Мардахай ирхъолла аьлла, дехар дан веанера.</verse>
				<verse number="5">Ялхоша жоп делира: «ХӀаман ву кертахь лаьтташ». Паччахьо элира: «Чувола ала цуьнга».</verse>
				<verse number="6">ХӀаман чувеара. Паччахьо цуьнга хаьттира: «ХӀун дан деза паччахьо ша сий хьаладаккха лерина волчу стеган дуьхьа?» — аьлла. Ткъа ХӀаманан даг чохь дара: «Со воцург кхин мила ву паччахьо сий хьаладаккха лерина верг?»</verse>
				<verse number="7">Цо паччахьна жоп делира: «Хьайна цу стеган сий хьаладаккха лаахь, ахьа хӀара дан деза:</verse>
				<verse number="8">хьайн ялхошка айхьа лелош йолу бедарш схьая ала. Хьайн говр а цаьрга схьаялаяйта, цу говран коьрта тӀе паччахьан таж а диллийта.</verse>
				<verse number="9">И говр а, и бедарш а хьайн элашна юкъахь уггар а тоьлла волчуьнга дӀало. Паччахьо сий хьаладаккха лерина волчуьнга и бедарш тӀеюхийта. Цул тӀаьхьа, и стаг цу говрана тӀе а хаавай, гӀалин урамашка ваккха, цунна хьалха нахе хаам а бойтуш: „Иштта лелаво паччахьо сий хьаладаккха лерина верг!“ — аьлла».</verse>
				<verse number="10">Паччахьо ХӀамане элира: «ХӀинццехь говр а, бедарш а схьа а эций, айхьа ма-аллара, паччахьан кевнехь гӀуллакх деш волчу жуьгтичунна Мардахайна де и хӀума. Айхьа аьллачунна тӀера цхьа а хӀума дӀа ма даккхалахь».</verse>
				<verse number="11">ХӀамана, бедарш а, говр а схьа а эцна, и бедарш Мардахайна тӀе а юьйхина, иза паччахьан говрахь гӀалин урамашка ваьккхира. Мардахайна хьалха ХӀамана бохура: «Иштта лелаво паччахьо сий хьаладаккха лерина верг!»</verse>
				<verse number="12">Цул тӀаьхьа Мардахай паччахьан ков долчу юхавирзира, ткъа ХӀаман гӀийла, юьхьӀаьржачу хӀоттарна шен корта къайла а баьккхина, цӀа ваха сихвелира.</verse>
				<verse number="13">Цо шен зудчуьнга Зеришате а, шен массо а доттагӀашка а шена мел хилларг дӀадийцира. Цунна хьехар дина болчу наха а, цуьнан зудчо Зеришата а цуьнга элира: «Нагахь жуьгтех волу Мардахай бахьана долуш хьо дакъазаволуш велахь, хьо тоьлур вац цул, мелхо а, цунна хьалха дакъазавер ву».</verse>
				<verse number="14">Цара шайн къамел чекхдаккхале, баьхкина схьакхаьчначу паччахьан ялхоша ХӀаман Эсирата кечдинчу тойне ваха сихвира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="7">
				<verse number="1">Паччахь ХӀаманца Эсирата кечдинчу тойне вахара.</verse>
				<verse number="2">Ша хьалхарчу дийнахь ма-хаттара, чагӀар молучу хенахь паччахьо Эсирате хаьттира: «Эсират, хӀун дехар ду хьан соьга? Хьайна луъург соьга деха, кхочушдийр ду аса хьан дехар. Ахпачхьалкх дӀаяла дезахь а, аса хьан дехар кхочушдийр ду».</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха Эсирата элира: «Нагахь, паччахь, хьо суна реза а велахь, иштта паччахьан лаам а белахь, сан лаамца сан дахар а суна дуьтийла цо, сан къам а дийна дуьтийла цо сан дехарца. ХӀара ду-кх сан хьоьга долу дехар,</verse>
				<verse number="4">хӀунда аьлча со а, сан къам а доьхкина ду хӀаллакдан а, дайа а дагахь. Нагахь санна тхох леш дан дагахь доьхкина делахьара, аса паччахье хӀумма а эр дацара, и хӀума а дина, мостагӀчо паччахьна хилла зе меттахӀоттор доццушехь».</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха Ахьаш-Варуш-паччахьо, вистхуьлуш, шен зудчуьнга Эсирате хаьттира: «И хӀума динарг мила ву? Схьагайта суна и хӀума дан ваьхьна волу стаг».</verse>
				<verse number="6">Эсирата элира: «И буьрса мостагӀа а, зуламе стаг а хӀара ву: ХӀаман!» Ткъа ХӀаман паччахьна а, паччахьан зудчунна а хьалха, кхера а велла, вегош лаьтташ вара.</verse>
				<verse number="7">ЧӀогӀа оьгӀазвахана волу паччахь, тойнера хьала а гӀаьттина, шен цӀенна уллохь йолчу беша аравелира. Ткъа ХӀаман Эсирате, ша кӀелхьарваккха бохуш, дехарш деш чохь висира. Цунна хаьара, паччахьо шена таӀзар дийр дуйла.</verse>
				<verse number="8">Бешара той долчу юхавеанчу паччахьна гира Эсират агӀоръяьлла Ӏаш йолчу меттан йисте воьжна Ӏуьллуш волу ХӀаман. ЧӀогӀа оьгӀазвахана волчу паччахьо мохь туьйхира: «Со чохь воллушехь, сан зудчунна тӀекхетта хьо!» Цуьнгара и дош доллушехь, ялхоша ХӀаманан юьхь къайлаяьккхира.</verse>
				<verse number="9">Паччахьан ваьӀначу ялхойх цхьаъ волчу Хьарбуна элира: «ХӀаманан цӀенна уллохь лаьтташ, шовзткъе итт дол лекха а болуш, бӀогӀам бу. Иза ХӀамана паччахь воьчуьра кӀелхьарваьккхина волу Мардахай ирхъолла хӀоттийна бу». ТӀаккха паччахьо элира: «ХӀаман цу бӀогӀам тӀехь ирхъолла!»</verse>
				<verse number="10">ХӀаман ша Мардахайна кечбина болчу бӀогӀам тӀехь ирхъоьллира. Цул тӀаьхьа паччахь оьгӀазваханчуьра юхавирзира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="8">
				<verse number="1">Ахьаш-Варуш-паччахьо цу дийнахь паччахьан зудчунна Эсиратана дӀаделира жуьгтийн мостагӀ волчу ХӀаманан цӀенош. Мардахай паччахьна улло веара, хӀунда аьлча Эсирата цунна дӀахаийтира Мардахай шен гергара стаг хилар.</verse>
				<verse number="2">ХӀаманера ша схьаяьккхина йолу шен чӀуг, пӀелга тӀера схьа а яьккхина, Мардахайга дӀаелира паччахьо. Ткъа Эсирата Мардахай, ХӀаманан цӀенна тӀехь коьрта тӀехьожург вина, дӀахӀоттийра.</verse>
				<verse number="3">Эсирата, паччахьан когашка охьа а йоьжна, йоьлхуш, доьхура, агӀагхо волчу ХӀамана жуьгташна дан дагалаьцнарг ма дайтахьара бохуш.</verse>
				<verse number="4">Паччахьо шен дашо гӀаж Эсиратана тӀе хьажийра. Эсирата, хьала а гӀаьттина, паччахьна хьалха дӀа а хӀоьттина,</verse>
				<verse number="5">элира: «Паччахь, хьайн цу тӀехь лаам а белахь, хьан бӀаьргашна со езаш а елахь, хьан бӀаьргашна хьалха хӀара нийса а делахь, сан дуьхьа хӀара гӀуллакх дахьара ахьа. Хьо суна реза велахь, кехат яздахьара ахьа, агӀагхо волчу ХӀамдатин кӀанта ХӀамана массо а хьан пачхьалкхана карахь йолчу меттиге жуьгтий хӀаллакбе аьлла яздина долу кехаташ юхадерзош.</verse>
				<verse number="6">Муха ловр бу ас сан къомана тӀехӀоьттина болу бохам а, сан гергара нах хӀаллакьхилар а?»</verse>
				<verse number="7">ТӀаккха Ахьаш-Варуш-паччахьо шен зудчуьнга Эсирате а, жуьгти волчу Мардахайга а элира: «ХӀаман жуьгташна дуьхьалваьлла хилар бахьана долуш аса цуьнан бахам Эсиратана дӀабелла, ткъа иза ша бӀогӀамна тӀе ирхъоьллина.</verse>
				<verse number="8">Амма паччахьан цӀарах яз а дина, цуьнан мухӀарца чӀагӀдина долу кехат цхьаннан а дӀадаккха бакъо яц. ХӀинца аша, шайна бакъахьа хетарг тӀе а яздай, паччахьан цӀарах кехат кечде, иза паччахьан мухӀарца чӀагӀ а де».</verse>
				<verse number="9">Сихха схьагулбира цу тайпана кехаташ яздеш болу паччахьан ялхой. Иза дара кхоалгӀачу Сиван-беттан ткъе кхоалгӀа де. Цара, Мардахайс ма-аллара, кехаташ яздира жуьгташка а, Индина тӀера Хуша-махкана тӀекхаччалц долчу бӀе ткъе ворхӀ латтанан тхьамданашка а, куьйгалхошка а, баьччанашка а. И кехаташ массо а меттигехь Ӏаш долчу халкъийн маттахь а, церан йозанца а яздина дара, ткъа жуьгташка яздина долу кехаташ церан шайн маттахь а, церан абат тӀера элпашца а яздина дара.</verse>
				<verse number="10">Мардахайс и кехаташ Ахьаш-Варушан цӀарах дӀаяздайтира, паччахьан мухӀарца чӀагӀ а дира. Цо и кехаташ геланчашка паччахьан сихачу говрашкахь дӀасадахьийтира (и говраш къаьсттина сихачу дойх схьаевлла хилла).</verse>
				<verse number="11">Цу кехаташ тӀехь яздина дара, паччахьо хӀора гӀалахь болчу массо а жуьгташна шайн мостагӀех лардала бакъо яларх лаьцна. Царна бакъо елира муьлххачу а халкъан я меттиган эскар хӀаллакдан, цуьнан зударий а, бераш а дайа, нагахь санна и халкъ царна тӀелеттехь. Иштта бакъо елира церан бахам шайна дӀабахьа а.</verse>
				<verse number="12">И хӀума кхочушдан билгалдаьккхина дара шийтталгӀачу Адар-беттан кхойтталгӀа де. Жуьгташна и хӀума дан бакъо еллера Ахьаш-Варушан ерриг а пачхьалкхехь мел йолчу меттигашкахь.</verse>
				<verse number="13">ХӀора пачхьалкхана чуйогӀуш йолчу меттигехь цу кехата тӀера схьаязбина сацам нахана хьалха дӀабеша а, гучубаккха а безаш бара, жуьгтий цу дийнахь шайн мостагӀашна бекхам бан кийча хилийтархьама.</verse>
				<verse number="14">Паччахьан сацам тӀехь болу кехаташ а эцна, геланчаш паччахьан говрашкахь сихха новкъа бевлира. И сацам дӀабовзийтира Шушан-гӀалин гӀопахь а.</verse>
				<verse number="15">Мардахай паччахь волчуьра аравелира, тӀехь кӀайн а, стигалан басахь а йолу паччахьан бедарш а йолуш. Цуьнан коьртахь доккха дашо таж а дара, тӀехь таьӀна-цӀен втанан тоьллачу кӀадинах йина йолу оба а яра. Шушан-гӀалахь дӀахӀоттийна доккха деза де а дара, массо а халкъ доккхадеш а дара.</verse>
				<verse number="16">Цу дийно жуьгташна серло а, даккхийдер а, сакъерадалар а, сий а деара.</verse>
				<verse number="17">Паччахьан сацам дӀакхаьчначу хӀора меттехь а, хӀора гӀалахь а адам чӀогӀа сакъералуш а, доккхадеш а дара, цара даккхий тойнаш дӀа а хӀиттийнера. Тайп-тайпанарчу къаьмнех дукхах болу нах жуьгтий хилира, хӀунда аьлча уьш жуьгтех чӀогӀа кхерабеллера.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="9">
				<verse number="1">ШийтталгӀачу Адар-беттан кхойтталгӀачу дийнахь дерриг а халкъо паччахьан сацам кхочушбан безара. Иза дара жуьгтийн мостагӀий, уьш кара а берзош, царна таӀзар дан кечбелла долу де. Амма жуьгташа, толам а баьккхина, массо а мостагӀа шайна караверзийра.</verse>
				<verse number="2">Массо а жуьгтийн къомах волу стаг Ахьаш-Варушан пачхьалкхехь мел йолчу гӀаланашка схьагулвелира, шаьш хӀаллакдан Ӏалашо йолуш арабевллачарна тӀелата дагахь. Цхьа а стаг царна дуьхьал ца латталора, хӀунда аьлча массо а къаьмнаш жуьгтех кхераделла дара.</verse>
				<verse number="3">Массо а меттигера элий а, тхьамданаш а, куьйгалхой а, паччахьан омранаш кхочушдеш болу хьаькамаш а жуьгташна гӀо деш бара, шаьш Мардахайх кхоьру дела.</verse>
				<verse number="4">Мардахай паччахьан цӀен тӀехь чӀогӀа дош догӀуш стаг хилла дӀахӀоьттинера. Цуьнан сий пачхьалкхан массо а маьӀӀехула дӀасадаьржира, хӀунда аьлча иза, де дийне мел дели, лакхарчу дарже хьалаваьлла воьдуш вара.</verse>
				<verse number="5">Жуьгташа шайн мостагӀий, тарраш детташ, бойуш а хилла, шайн болчу ницкъаца хӀаллакбеш а хилла. Шаьш ца безаш болчарна цара шайна луъург деш хилла.</verse>
				<verse number="6">Шушан-гӀалин гӀопахь пхи бӀе стаг вийна хилла цара.</verse>
				<verse number="7">Паршандати а, Далпан а, Аспати а,</verse>
				<verse number="8">Пурати а, Адал-ЯхӀу а, Аридати а,</verse>
				<verse number="9">Пармашти а, Арисай а, Аридай а, Вайзати а вийра цара.</verse>
				<verse number="10">Уьш ХӀамдатин кӀентан ХӀаманан итт кӀант вара. ХӀаман жуьгтийн мостагӀа вара. Цундела цара уьш байина дӀабехира, амма церан бахамах куьг ца туьйхира.</verse>
				<verse number="11">Цу дийнахь паччахьна дӀахиира маса стаг вийна Шушан-гӀалин гӀопахь.</verse>
				<verse number="12">Паччахьо Эсирате элира: «Шушан-гӀалин гӀопахь жуьгташа пхи бӀе стаг вийна, царна юкъахь ХӀаманан итт кӀант а волуш. Пачхьалкхан кхечу меттигашкахь хӀун дина цара? Муха бу хьан лаам? Иза кхочушбийр бу. Кхин хӀун дехар ду хьан? Иза а аса кхочушдийр ду».</verse>
				<verse number="13">Эсирата цунна жоп делира: «Паччахьан цу тӀехь лаам белахь, суна луур дара Шушан-гӀалахь болчу жуьгташка кхана а тахана диннарг дойла а, иштта ХӀаманан итт кӀентан декъий дитташна тӀехь ирхъухкийла а».</verse>
				<verse number="14">Паччахьо омра дӀаделира иштта дан. Шушан-гӀалахь и сацам дӀабовзийтира. Цара ХӀаманан итт кӀентан декъий ирхъоьхкира.</verse>
				<verse number="15">Адар-беттан дейтталгӀачу дийнахь Шушан-гӀалахь вовшах а кхетта, жуьгташа кхин а кхо бӀе стаг вийра, амма церан бахамах цхьа а хӀума схьа ца ийцира.</verse>
				<verse number="16">Пачхьалкхан кхийолчу меттигашкахь Ӏаш болчу жуьгташа, шаьш лардархьама а, шайн мостагӀех шаьш паргӀатдахархьама а, вовшах а кхетта, кхузткъе итт эзар мостагӀа вийна хилла, амма церан бахамах куьг ца тоьхна.</verse>
				<verse number="17">И хӀума хилира Адар-беттан кхойтталгӀачу дийнахь. Ткъа цу беттан дейтталгӀачу дийнахь, дагна синтем а хилла, цара и де, самукъане деза де дина, дӀахӀоттийра.</verse>
				<verse number="18">Ткъа Шушан-гӀалахь бехаш болу жуьгтий Адар-беттан кхойтталгӀачуй, дейтталгӀачуй деношкахь вовшахкхеташ хилла. ПхийтталгӀачу дийнахь цара садоӀуш хилла. И де цара, самукъане деза де а дина, дӀахӀоттийна хилла.</verse>
				<verse number="19">Цундела ярташкахь Ӏаш болчу жуьгташа Адар-беттан дейтталгӀа де, чӀогӀа самукъане де дина, дӀахӀоттийна хилла. Цу дийнахь цара вовшийн самукъадоккхуш а хилла, вовшашна совгӀаташ деш а хилла.</verse>
				<verse number="20">Мардахайс, и массо а хӀума дӀа а яздина, Ахьаш-Варушан пачхьалкхехь генахь а, уллохь а Ӏаш болчу массо а жуьгташка кехаташ дахьийтира,</verse>
				<verse number="21">хӀора шеран Адар-беттан кхойтталгӀачуй, дейтталгӀачуй деношкахь Пурим олу деза де дазде аьлла.</verse>
				<verse number="22">И денош жуьгташа даздан дезаш хилла, хӀунда аьлча цу дийнахь уьш шайн мостагӀех паргӀатбевлла хилла дела. Цу баттахь цаьргахь хилла болу бала церан сакъерар хилла дӀахӀоьттира, церан белхар самукъане деза де хилла дӀахӀоьттира. Цара цу деношкахь, тойнаш а деш, вовшашна совгӀаташ дала а, гӀийлачарна сагӀина хӀума яла а дезара.</verse>
				<verse number="23">Жуьгташа цу деношкахь шаьш дан долийнарг а, Мардахайс шен кехаташ тӀехь шайна тӀедиллинарг а хазахетарца тӀеийцира.</verse>
				<verse number="24">АгӀагхо волчу ХӀамдатин кӀант ХӀаман, массо а жуьгтийн мостагӀа, уьш хӀаллакбан дагахь араваьлла хилла. Цу Ӏалашонца цо, жуьгтий хӀаллакбен де билгалдоккхуш, «пур» тесна а хилла (иза «кхаж» бохург ду).</verse>
				<verse number="25">Эсират паччахь волчу яханчул тӀаьхьа, цо керла сацам тӀехь болу кехаташ дахьийтина хилла. Цу сацамо ХӀамана жуьгташна дуьхьал зуламе леринарг цуьнан шен коьрта тӀе дерзийна хилла: ХӀаман а, цуьнан кӀентий а бӀогӀамашна тӀехь ирхъоьхкина хилла.</verse>
				<verse number="26">Цундела «пур» аьллачу дашца цу дезачу дийнан цӀе, «Пурим» аьлла, тиллина хилла. Мардахайс дӀаяздина долу дешнаш а, шайна гинарг а, шайн къомана лерина хилларг а бахьана долуш,</verse>
				<verse number="27">жуьгташа а, церан тӀаьхьено а, царна тӀебаьхкинчу наха а хӀора шарахь билгалъяьккхинчу хенахь и ши де, шайна дӀаяздина ма-хиллара, деза де дина дӀахӀоттош хилла.</verse>
				<verse number="28">Церан тӀаьхьенаша а даздан дезаш дара и денош. Пачхьалкхехь йолчу хӀора меттехь а, хӀора гӀалахь а даздан дезаш дара Пурим. Жуьгташа цкъа а даз ца деш дита ца деза аьлла хилла и деза де. И хӀума массо а тӀаьхьенна дагадоуьйтуш хила дезара.</verse>
				<verse number="29">Паччахьан зуда йолчу а, Абу-Хьаилан йоӀ йолчу а Эсирата жуьгти волчу Мардахайца цхьаьна цхьа кехат дӀаяздира, Пурим олучу дезачу дийнах лаьцна Мардахайс дӀаяздина долу хӀара шолгӀа кехат чӀагӀдархьама.</verse>
				<verse number="30">Ахьаш-Варушан пачхьалкхехь йолчу бӀе ткъе ворхӀ меттигехь бехаш болчу жуьгташка дӀасадахьийтина хилла хӀара кехат. Кехатан дешнаш машарх а, тешамах а лаьцна хилла.</verse>
				<verse number="31">И кехаташ яздаран Ӏалашо Пурим олу деза де цхьана билгалъяьккхинчу хенахь даздар хилла. Паччахьан зудчо Эсирата а, жуьгтий волчу Мардахайс а дӀадахьийтина хилла шайн сацам тӀехь болу кехаташ. Цу тӀехь цара массарна а тӀедиллира, и деза де шайна а, шайн тӀаьхьенашна а цхьана билгалъяьккхинчу хенахь дазде аьлла. Кехат тӀехь яздина дара, цу деношкахь цара марханаш кхаба а, белхар дӀахӀотто а деза аьлла.</verse>
				<verse number="32">Эсиратан кехато Пурим олучу дезчу дийнан бакъонаш чӀагӀйира, иза тептар тӀе дӀа а яздира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="10">
				<verse number="1">Паччахь волчу Ахьаш-Варуша латтанашна тӀера а, хӀордан гӀайренашна тӀера а ял ялар тӀедожийра шен халкъана.</verse>
				<verse number="2">Ахьаш-Варуша дина долу даккхий а, инзаре а гӀуллакхаш парсихойн а, мадайхойн а паччахьийн дӀаяьлла йолчу хенах лаьцна яздинчу тептарш тӀехь дӀаяздина ду. Паччахьо Мардахайн сийдарх а, иза хьалаваккхарх а лаьцна ду цу тептарш тӀехь.</verse>
				<verse number="3">Жуьгти волу Мардахай Ахьаш-Варушал тӀаьхьа шолгӀа стаг хилла цу пачхьалкхехь. Жуьгташна юкъахь чӀогӀа сийлахь хилла Мардахай, царна везаш а хилла иза, хӀунда аьлча цо шен къомана дика долу хӀума лохуш а хилла, цуьнан тӀаьхьенан дуьхьа машарх лаьцна вистхуьлуш а хилла.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="18">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">ӀуцӀа-махкахь вехаш вара Аюб цӀе йолу цхьа стаг. Иза ша хӀуманна а бехке воцуш а, догцӀена а стаг вара. Далла хьалха ларамах вуьзна а волуш, массо а вочу хӀуманах ларлуш вара иза.</verse>
				<verse number="2">Аюбан ворхӀ кӀант а, кхо йоӀ а дара.</verse>
				<verse number="3">Цуьнан ворхӀ эзар уьстагӀ а, газа а яра, кхо эзар эмкал а, пхи бӀе шуьста а, пхи бӀе виркхел а, иштта дуккха а ялхой а бара. Иза малхбалехьа бехаш болчу массо а нахана юкъахь уггар а дукха хьал долуш волу стаг вара.</verse>
				<verse number="4">Цуьнан кӀенташа тойнаш хӀиттадора, рогӀ-роггӀана кхиберш шайн-шайн хӀусамашка схьа а кхойкхуш. Цара шайн кхаа йише а кхайкха бохуьйтура, уьш шайца дууш-молуш Ӏайтархьама.</verse>
				<verse number="5">Тойнийн го дӀабирзинчул тӀаьхьа, Аюба шен бераш ша волчу схьакхойкхура, уьш Далла хьалха цӀанбайтархьама. Ӏуьйранна хьалххехь хьала а гӀоттий, цо хӀора берана тӀера дийнаташ дагоран сагӀа доккхура. Цо ойла йора: «Сан бераша къа латийна хила мега, шайн даг чохь Дела емал а вина». Аюба и хӀума массо а хенахь дора.</verse>
				<verse number="6">ТӀедеана стигалара гуламан декъашхой Везачу Элана хьалха дӀахӀутту де. Цаьрца цхьаьна шайтӀа а деъна.</verse>
				<verse number="7">Везачу Эло цуьнга хаьттина: «Хьо мичара схьадеана?» Везачу Элана жоп луш, шайтӀано аьлла: «Со лаьтта тӀехула даьлла лелаш дара. Дуьне мел ду дӀаса а лелла, юхадеана со».</verse>
				<verse number="8">ТӀаккха Везачу Эло шайтӀане аьлла: «Тидам бирий ахьа Сан ялхо волчу Аюбан? И саннарг хӀокху дуьнен тӀехь кхин цхьа а вац: иза ша хӀуманна а бехке воцуш а, догцӀена а стаг ву. Далла хьалха ларамах вуьзна а волуш, массо а вочу хӀуманах ларлуш ву иза».</verse>
				<verse number="9">Везачу Элана жоп луш, шайтӀано аьлла: «Лаа дуй те Аюбан Далла хьалха ларамах вуьзна хилар?</verse>
				<verse number="10">Ахьа ларвеш ма ву иза а, цуьнан цӀа а, цуьнан мел болу бахам а. Цуьнан куьйгаша хьегна къа Ахь декъалдина, берриг а мохк цуьнан жаша а, дохно а буьзна лаьтташ бу.</verse>
				<verse number="11">Амма Ахьа Хьайн куьг цуьнан долахь мел йолчу хӀуманна тӀе кховдадахь, иза Хьан юьхь-дуьхьал Хьуна лен волалур ву».</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха Везачу Эло шайтӀане аьлла: «Дика ду, цуьнан мел долу хӀума хьан карахь ду, амма цунах куьг ма Ӏотта». ШайтӀа Веза Эла волчуьра дӀадахара.</verse>
				<verse number="13">Цхьана дийнахь Аюбан кӀентий а, зудабераш а дууш-молуш Ӏаш бара шайн воккхаха волчу вешин цӀахь.</verse>
				<verse number="14">Аюб волчу веанчу цхьана геланчо хаам беара: «Стерчий охана тӀехь дара, царна уллохь яжош виркхелаш а яра.</verse>
				<verse number="15">Амма цӀеххьана тӀелеттачу шебахоша хьан даьхни лаьхкина дӀадигна, ткъа ялхой тарраш диттина байина. Со цхьаъ дийна висна, хьоьга хӀара хаам бархьама».</verse>
				<verse number="16">Иза вистхилла валале, кхин цхьа геланча а веана, хаам бахьаш: «Стигалара Делан цӀе охьа а йоьжна, массо а хьан уьстагӀий а, ялхой а дӀакхаьллина. Со цхьаъ дийна висна, хьоьга хӀара хаам бархьама».</verse>
				<verse number="17">И стаг вистхилла а валале, кхин цхьа стаг а веана, хаам бахьаш: «Кхаа агӀонгара хашадхой тӀе а летта, цара эмкалш лаьхкина дӀайигна, ткъа хьан ялхой таррашца хӀаллакбина. Со цхьаъ дийна висна, хьоьга хӀара хаам бархьама».</verse>
				<verse number="18">ХӀара и къамел дина а валале, кхин цхьа стаг а веана, хабар дахьаш: «Хьан кӀентий а, зудабераш а дууш-молуш бара шайн воккхаха волу ваша волчохь.</verse>
				<verse number="19">ЦӀеххьана яьссачу аренгара хьаькхначу мохо цӀийнан биъ пен охьабожийра. ЦӀа охьадоьжча, хьан бераш цу буха а дахана, дайина. Со цхьаъ дийна висна, хьоьга хӀара хаам бархьама».</verse>
				<verse number="20">Аюба, хьала а гӀаьттина, шена тӀера хӀуманаш этӀийра. Шен месаш дӀа а лергина, голаш тӀе а хӀоьттина, суждане вахара иза.</verse>
				<verse number="21">Цо иштта элира: «Ненан кийрара верзина схьаволуш ма-хиллара, лаьттан кийра верзина дӀа а гӀур ву со. Везачу Эло дала а делла суна, Цо дӀа а эцна. Декъал хуьлийла Цуьнан цӀе!»</verse>
				<verse number="22">И дерриг а ша деш, Аюба къа а ца латийна, Далла Ӏиттарш а ца йина.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Юха а Стигаларчу гуламан декъашхой Везачу Элана хьалха дӀахӀиттира. Царна юкъахь шайтӀа а дара.</verse>
				<verse number="2">Везачу Эло хаттар дира цуьнга: «Хьо стенгара схьадеана?» — аьлла. Везачу Элана жоп луш, шайтӀано элира: «Со лаьтта тӀехула даьлла лелаш дара. Дуьне мел ду дӀаса а лелла, юхадеана со».</verse>
				<verse number="3">Везачу Эло шайтӀане элира: «Тидам бирий ахьа Сан ялхо волчу Аюбан? И саннарг хӀокху дуьнен тӀехь кхин цхьа а вац: иза хӀуманна а бехке воцуш а, догцӀена а стаг ву. Далла хьалха ларамах вуьзна а волуш, иза массо а вочу хӀуманах ларлуш ву. Иза хӀинца а чӀогӀа шен кхачамалла ларъеш ву, цуьнан бехк боццушехь, иза дакъазаваккхийта ахьа Со иракарахӀоттийнехь а».</verse>
				<verse number="4">Иблисо жоп делира Везачу Элана: «ЦӀокана дуьхьал цӀока ло. Шен дахарна дуьхьал стага массо а хӀума дӀало.</verse>
				<verse number="5">Хьайн куьг дӀа а кховдадай, цуьнан даьӀахках а, дилханах а кхетахьа. Аса жоп ло-кх, иза Хьан бӀаьргашна хьалххахь Хьуна лен ца волалахь!»</verse>
				<verse number="6">Везачу Эло шайтӀане элира: «Дика ду, иза хьан карахь ву, амма цуьнан дахар ахьа кхоо деза».</verse>
				<verse number="7">ШайтӀа Везачу Элана уллора дӀадахара. Цо Аюбан дегӀа тӀе когаш тӀера дуьйна коьрта тӀе кхаччалц ноткъа оьхуш долу даӀ туьйхира.</verse>
				<verse number="8">Цу даӀ тӀе хьакха кхийрачу пхьегӀех йолу гериг схьа а эцна, овкъарш тӀе охьахиира Аюб.</verse>
				<verse number="9">Цуьнан хӀусамнанас цуьнга элира: «Хьо хӀинца а чӀогӀа хьайн кхачамалла ларъеш ву? Далла ле, тӀаккха хьо лийр ву!»</verse>
				<verse number="10">Амма Аюба цунна жоп делира: «Ахьа дуьйцург хьераяьллачо дуьйцур дара. Делера диканиг схьа а оьцуш, вониг дӀататта деза те вай?» И дерриг а ша деш, шен дешнашца Аюба къа ца латийна.</verse>
				<verse number="11">Аюбана хиллачу бохамах лаьцна цуьнан кхаа доттагӀчунна хезира. Уьш шайн-шайн меттигашкара арабевлира: теманхо волу Элипаз а, шуахьахо волу Билдад а, иштта наӀматхо волу Цупар а. Уьш вовшахкхийтира, Аюб волчу кадам бан а, цуьнан догъэца а бахархьама.</verse>
				<verse number="12">Геннара Аюб гина болчу царна иза ца вевзира. ЧӀогӀа мохь а бетташ, билхира уьш. Шайна тӀера бедарш а этӀош, коьрта тӀехула ченаш стигала хьалакхуьссура цара.</verse>
				<verse number="13">ВорхӀ дийнахь а, ворхӀ буса а Ӏийра уьш, лаьтта охьа а хевшина, цунна уллохь. Цара вовшашка цхьа а дош ца олура, хӀунда аьлча царна гора Аюбехь болу бала боккха хилар.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">Цул тӀаьхьа Аюб ша винчу денна неӀалт кхайкхо волавелира.</verse>
				<verse number="2">Цо бохура:</verse>
				<verse number="3">«ХӀаллакьхилла дӀадолийла со вина долу де а, сан ненах лаьцна: „Иза доьзалхочух хилла!“ аьлла йолу буьйса а.</verse>
				<verse number="4">Ӏаьржа бода хилла дӀахӀуттийла и де, стигалахь волчу Далла иза дага а ма догӀийла, Цо оцу денна тӀе серло а ма лойла!</verse>
				<verse number="5">Бодано а, Ӏожаллин ӀиндагӀо а юхадохийла иза. Марха со винчу денна тӀе хӀуттийла. Ӏаьржалло оцу дийнан серло кхерайойла.</verse>
				<verse number="6">Бодано и буьйса чӀогӀа схьалоцийла! Шеран деношна юккъе ма йогӀийла иза, беттийн деношна юккъе а ма йогӀийла!</verse>
				<verse number="7">Цу буса цхьа а бер дуьнен чу ма долийла! Ма хезийла цу буса синкъераме аз!</verse>
				<verse number="8">Левиятан цӀе йолу хӀордан саьрмик лело хууш болчу бозбунчаша неӀалт кхайкхадойла цу денна!</verse>
				<verse number="9">Цуьнан Ӏуьйренан седарчий Ӏаржделла хуьлийла! Ӏуьйренан серло ма гойла цу буьйсанна, маьлхан зӀаьнарш а ма гойла цунна!</verse>
				<verse number="10">Цу буьйсано со дуьнен чу вала новкъарло ца ярна а, цо хӀара бала сох къайла ца баккхарна а, хуьлийла иза!</verse>
				<verse number="11">ХӀунда ца велла те со сайн ненан кийрахь волуш, хӀунда ца велла дуьнен чу воллушехь?</verse>
				<verse number="12">ХӀунда эцна со шайн кара, хӀунда белла суна накха?</verse>
				<verse number="13">ХӀинца паргӀат Ӏуьллуш хир ма вара со, синтемехь а хир ма вара со,</verse>
				<verse number="14">паччахьашца а, хьехамчашца а, дассийна цӀенош шайна юхаметтахӀиттийна болчу.</verse>
				<verse number="15">Я элашца Ӏуьллуш хир вара, деши а гулдеш, шайн цӀенош детих хьаладузуш болчу.</verse>
				<verse number="16">Хеназа бер санна со къайла хӀунда ца ваьккхина? Дуьненан серло ца гина аганара бер санна со дӀа хӀунда ца воьллина?</verse>
				<verse number="17">Белла Ӏесанаш вонаш дечуьра ма совцу, шаьш кешнашка ма-кхеччи, дахаро гӀелбинарш цигахь садоӀуш ма хуьлу.</verse>
				<verse number="18">Цигахь лаьцна болу нах а паргӀат ма бовлу, шайн тӀехьожуш болчеран аз а ца хезаш.</verse>
				<verse number="19">Лараме боцурш а, цӀеяханарш а цигахь цхьатерра хуьлу, ткъа лай шен олахочунна хьалха паргӀат хуьлу.</verse>
				<verse number="20">ХӀунда ло бала хьоьгучунна дуьненан серло, синан гӀайгӀанехь волчунна дахар а хӀунда ло?</verse>
				<verse number="21">Цара Ӏожалле сатуьйсу, ткъа иза ца хуьлу, мел еза йолчу хазнел сов иза лоху цара.</verse>
				<verse number="22">И санна болу нах, шайна каш карийча, баккхийбеш хир бара, чӀогӀа цунах сакъераделла.</verse>
				<verse number="23">ХӀунда луш ю адамна серло, цуьнан дахаран некъ къайлаха хилча, массо а агӀор Дала цунна го бина хилча?</verse>
				<verse number="24">Сан кхачанан метта аса дохуш долу даккхий синош ду, хи санна, охьаоьхуш сан бӀаьрхиш ду.</verse>
				<verse number="25">Со къаьхкаш хилларг суна тӀекхечи, со кхоьруш хилларг суна хили.</verse>
				<verse number="26">Со волчохь я машар а бац, я синтем а бац, я садаӀар а дац: сан са карзахдаьлла».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">Теманхо волчу Элипаза иштта жоп делира:</verse>
				<verse number="2">«Хьоьга хӀума алахь, хьуна вас хир ю те? Делахь а, вист ца хуьлуш мила Ӏалур ву?</verse>
				<verse number="3">Дукхахболчарна ахьа хьехамаш бора, гӀелделлачу куьйгашна юха а ницкъ лора,</verse>
				<verse number="4">гӀийланиг хьан дешнаша чӀагӀвора, ког тасабелларг охьа ца вужуьйтура.</verse>
				<verse number="5">Амма хӀинца хьуна тӀе вон деъна, ткъа хьо гӀайгӀанехь ву, хьох хьакхаделлачу зуламо хьо вохийна.</verse>
				<verse number="6">Деле болчу ларамах вуьзна хиларх хьо тешна ца хуьлу те? Хьан некъаш кхоччуш цӀена хиларх хьо сатуьйсуш ца хуьлу те?</verse>
				<verse number="7">Дагадаийтахьа хьайна, бехк боцург хӀаллакьхилла гиний хьуна, я бакъахьа леларг таӀзар дина гиний?</verse>
				<verse number="8">Зулам охучара а, вониг тосучара а бохамийн ялта схьаэцар гина суна.</verse>
				<verse number="9">Делан садеӀаро уьш хӀаллакбо, Цуьнан оьгӀазлоно уьш боха а бо.</verse>
				<verse number="10">Лоьмаша деш долу гӀигӀ Дала дӀасоцуьйту, къоначу лоьмийн цергаш Цо схьайоху.</verse>
				<verse number="11">Нуьцкъала лом шена ижу ца хилча ле, ткъа лоьмийн кӀорнеш дӀасаяьржа.</verse>
				<verse number="12">Цхьана дийнахь къайлаха хаам беара соьга, сан лергашна цунах лаьцна цхьа шабар-шибар деш хезира,</verse>
				<verse number="13">сингаттамечу буса гуш долу гӀенаш санна, чӀогӀа наб а кхетта, адам дӀадижначу хенахь.</verse>
				<verse number="14">Суна чӀогӀа кхерам тесна дела, сан массо а даьӀахк егош яра.</verse>
				<verse number="15">Суна тӀехула цхьа са дӀадахара, ткъа сан коьртара месаш ирахӀиттира.</verse>
				<verse number="16">Иза сецира, амма суна цуьнан сибат ца гора, сан бӀаьргашна хьалха цуьнан амат бен дацара. Лохха мох хьокхуш санна хеттачу суна цуьнан аз хезира:</verse>
				<verse number="17">„Адаман йиш юй Далла хьалха бакъахьара хила? Цуьнан йиш юй ша Кхоьллинчунна хьалха цӀена хила? “</verse>
				<verse number="18">Иза ур-атталла стигаларчу Шен ялхойх а тешна Ӏаш вац, ур-атталла Шен маликашна тӀехь а Цунна кхачамбацарш го.</verse>
				<verse number="19">Кхин а кӀезиг тешна Ӏаш хир ву Иза адамех, церан догӀмаш поппарх дича санна долчу, церан дахар гӀамар тӀехь лаьтташ санна долчу. Уьш-м нецал а атта тӀетоьхна дайалур ма ду.</verse>
				<verse number="20">Ӏуьйранна сарралц уьш хьоьшуш ду, цхьанна а гур а доцуш, гуттаренна а хӀаллакьхуьлу.</verse>
				<verse number="21">Машшаш а хедийна, церан четар дакъазадоху. Уьш ле, хьекъалалле кхин ца кхочуш».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">Элипаза кхидӀа а элира [1] «Ахьа кхайкхахь, хьуна дуьхьал жоп хьан лур ду? Дезачу маликех ахь муьлхачуьнга гӀо доьхур ду?</verse>
				<verse number="2">Карзахвийларо сонтаниг войур ву, хьегаро хьекъал доцург хӀаллаквийр ву.</verse>
				<verse number="3">Ӏовдал стаг дика ваха охьахиъна гина суна, амма сихха цуьнан цӀенна неӀалт кхайкхийна ас.</verse>
				<verse number="4">Цуьнан бераш маршонехь хиларна генахь ду. Нагахь гӀалин кевнна уллохь цаьрца стаг кхеле валахь, царна гӀо дан цхьа а вац.</verse>
				<verse number="5">Цуьнан ялта мецачо дӀакхоллур ду, цо иза ур-атталла коканех а цӀандийр ду, ткъа хьогах берш цуьнан бахамах хьоьгур бу.</verse>
				<verse number="6">Зулам лаьтта бухара арадолуш ма дац, ткъа бохам кха тӀехь хьалаболуш а бац.</verse>
				<verse number="7">ЦӀеран суйнаш ирх ма лелххара, адам бала хьега кхоьллина ду.</verse>
				<verse number="8">Хьан метта со хилча, Аюб, со Далла тӀе воьрзур вара, сайн гӀуллакх аса Цунна хьалха дӀахӀоттор дара.</verse>
				<verse number="9">Даккхий ду Цуьнан гӀуллакхаш, царах вай кхетар доцуш, Цуьнан тамашийна гӀуллакхаш дагардина а вер вац.</verse>
				<verse number="10">Цо лаьтта тӀе догӀа а доуьйту, кхаш тӀе хи а дуьллу.</verse>
				<verse number="11">Шаьш кӀезиг хеташ берш Цо лакхабоху, тийжаш берш Цо кхоччуш маьршабоху.</verse>
				<verse number="12">Цо хӀилланчийн дагалацамаш бохабо, уьш кхочуш ца хилийтархьама.</verse>
				<verse number="13">Хьекъалалла дерш Дала церан шайн хӀилланца схьалоцу, мекарчара дан леринарг Цо кхочуш ца хуьлуьйту.</verse>
				<verse number="14">Дийнахь уьш боданехь хуьлу, ткъа де делкъе даьлча, буьйсанна санна, куьйган уьшаршца лела.</verse>
				<verse number="15">Пекъар нуьцкъалчеран куьйгах Цо кӀелхьарвоккху, мисканиг церан бетера догӀучу туьрах Цо ларво.</verse>
				<verse number="16">Иштта, къечу стеган сатуьйсийла ю, ткъа харцоно шен бага дӀачӀагӀйо.</verse>
				<verse number="17">Декъала ву Дала нисво стаг. Нуьцкъалчун таӀзар дегаза ма хета,</verse>
				<verse number="18">хӀунда аьлча Цо чов а йо, амма Цо дӀа а йоьхку. Цо лаза а во, амма Цуьнан куьйгаша дарба а до.</verse>
				<verse number="19">Юх-юха а Дала баланех воккхур ву хьо, уьш хьох хьакха а лур бац.</verse>
				<verse number="20">Дала мацаллех хьо кӀелхьарвоккхур ву, тӀам тӀехь туьрах а ларвийр ву.</verse>
				<verse number="21">Мотт беттарх Цо хьо ларвийр ву, бохам хьайна тӀебеача, цунах хьо кхера ца веза.</verse>
				<verse number="22">ХӀаллакьхиларх а, мацаллех а хьо воьлур ву, акхаройх а хьо кхоьрур вац.</verse>
				<verse number="23">Аренгахь долчу тӀулгашца а хьан барт хир бу, акхарой а хир ю хьоьца машарехь.</verse>
				<verse number="24">Хьуна хуур ду, хьайн четарна кхерам боцийла, ткъа хьайн бахаме хьоьжуш хилча, дайна хӀума хир доцийла.</verse>
				<verse number="25">Хьуна хуур ду, хьан бераш дуккха а хилар, хьайн тӀаьхьенах берш аренгара буц санна хилар.</verse>
				<verse number="26">Къанвелча бен хьуна Ӏожалла гур яц, ялтин цӀевнаш шен хеннахь дӀа-ма-хӀиттора.</verse>
				<verse number="27">И хӀума тхуна иштта хир дуйла хиъна, цундела, тхоьга ла а догӀий, хӀара хьехар дӀаэца».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="6">
				<verse number="1">Аюба иштта жоп делира:</verse>
				<verse number="2">«Сан гӀайгӀа озалур елахьара! Сан бала терзанна тӀе буьллур белахьара!</verse>
				<verse number="3">Иза хӀордан йистера гӀамарал а беза хир бара. Цундела ду сан къамел сел доьхна!</verse>
				<verse number="4">Нуьцкъалчу Делан пхерчий ду сан дегӀах дохкуш. Сан синна хаало церан дӀовш, Делан къематаш ду суна тӀедерзийна.</verse>
				<verse number="5">Акхачу виро мохь хьоькхий баца тӀехь? Сту Ӏоьхий шен хьаьвданна тӀехь?</verse>
				<verse number="6">Чаьмза хӀума йоий туьха доцуш? Чам буй хӀоьан кӀайчу декъан?</verse>
				<verse number="7">Бац! Аса и тайпа яа хӀума юур яц! И кхачанаш суна дегаза хета!</verse>
				<verse number="8">Сан дехар кхочушдийр делахьара! Ас сатуьйсург Дала лур делахьара!</verse>
				<verse number="9">Со дӀахьаша Дела реза хилахьара! Куьг дӀа а хецна, Цо со хӀаллаквийр велахьара!</verse>
				<verse number="10">Дала со вийча, сан дагна синтем хир бара, хӀара инзаре бала аса хьоьгучу хенахь а, воккхаверна со ирхлелхаш хир вара, Везачу Делан дешнаш аса дӀатеттина ца хиларна.</verse>
				<verse number="11">Сан гӀора дӀадаьлла, со вехар ву аьлла, сатуьйсийла а яц, кхидӀа сайна хиндерг со хууш а вац, садетта кхин бахьана а дац.</verse>
				<verse number="12">Сан ницкъ тӀулг санна бу те? Сан дегӀ цӀастанах дина ду те?</verse>
				<verse number="13">Буй те соьгахь сайна гӀо дан ницкъ, буй те сан тӀетовжа меттиг?</verse>
				<verse number="14">Дог доьхначу доттагӀчунна тешаме воцу стаг велахь, иза Нуьцкъалчу Далла хьалха ларамах вуьзна вац.</verse>
				<verse number="15">Амма шу тешаме дац, сан вежарий. Сиха йоьдучу хин Ӏоврех болччул бен тешам бац шух,</verse>
				<verse number="16">шайна чохь дешаш долу ло а, шен гӀорзанаш а хиларна Ӏаржъелла йолчу.</verse>
				<verse number="17">Йохъелча, уьш къайлайовлу, йовхонан чилла йоьлча, шайн меттигашкахь якъало.</verse>
				<verse number="18">Церан некъан хершнаш хьийза, ткъа яьссачу аренга шаьш кхаьчча, яйна дӀайовлу.</verse>
				<verse number="19">Тейма-махкара эмкалийн къепалша а хи лоьху, Шеба-махкара богӀуш берш а сатийсамца дӀасахьоьжу.</verse>
				<verse number="20">Шайна хи карор хиларх шек а ца бовлура уьш, амма цига кхаьчча, дог доьхна дӀахӀуьтту уьш.</verse>
				<verse number="21">ХӀинца шу а ду иштта: шайна вон гича, кхера а лой, дӀахӀуьтту шу.</verse>
				<verse number="22">Аса шуьга бехирий: „Суна а лойша“, я „Шайн хьолах сох кхаъ лойша“,</verse>
				<verse number="23">я „МостагӀийн карара со паргӀатваккхийша“, я „Къизачу нахах кӀелхьарваккхийша“?</verse>
				<verse number="24">Соьгара даьлларг дийцийша суна. Схьагайтийша, со стенна тӀехь харц ву. ТӀаккха со дӀатийна хир ву.</verse>
				<verse number="25">Ма боккха ницкъ бу-кх догцӀеначу дешнашкахь! Ткъа аша бохучо стенна тоьшалла до?</verse>
				<verse number="26">Ас дина къамел тӀехтоха дагахь ду шуна? Дог доьхначун дешнаш, мох санна, хуьлу моьтту шуна?</verse>
				<verse number="27">Байлахь дисинчу берах а кхаж тосур бара аша, шайн доттагӀа дикачу мехах дӀавухкур вара аша.</verse>
				<verse number="28">Ткъа хӀинца, аса доьху шуьга, схьахьовсийша соьга, дуьйцур дарий аса шуна хьалхахь харцдерг?</verse>
				<verse number="29">Хийцийша шаьш йина йолу кхел, ма дейша харцдерг. Метта а дуьйла, со бехказаваккха везаш ву.</verse>
				<verse number="30">Аса шуна харцдерг ца дуьйцу. Сан матте бохамаш къасталур бац ткъа?»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="7">
				<verse number="1">Аюба элира: «Адамо дуьнен тӀехь чӀогӀа къахьега дезаш ду. Цуьнан дахар тӀелаьцначу белхалочун санна ду.</verse>
				<verse number="2">Стаг, суьйренан ӀиндагӀах хьоьгуш волу лай санна ву, иза иштта алапе сатесна волу белхало санна а ву.</verse>
				<verse number="3">Оццу тайпана эрна беттанаш суна билгалдаьхна ду, гӀайгӀанех юьзна йолу буьйсанаш суна лерина ю.</verse>
				<verse number="4">ДӀавуьжучу хенахь ас ойла йо: „Маца гӀоттур ву те со хьала?“ Ткъа буьйса яхло, малх схьакхетталц дӀасакерчаш Ӏуьллу со.</verse>
				<verse number="5">Сан дегӀ кӀомарех а, нӀаьнех а хьаладуьзна, дегӀа тӀера чкъор эттӀа, ткъа цу чевнашна ноткъа йина.</verse>
				<verse number="6">Сан денош кӀади деш йолчу чорха тӀехь дӀасакхуьссуш долчу гуйнел а сиха тӀехлелха, сатийсам боцуш сан денош чаккхенга кхочу.</verse>
				<verse number="7">Веза Эла, дагадаийтахьа Хьайна сан дахар цкъа садаккхал бен доцийла, сан бӀаьргашна кхин цкъа а самукъане дерг гур доцийла.</verse>
				<verse number="8">Со хӀинцца гинчу бӀаьргашна а со кхин гур вац. Хьо соьга хьоьжуш хир ву, амма со кхин хир вац.</verse>
				<verse number="9">Марха, нилха а йолий, дӀайоьду, иштта эхарта чу ваьлларг юха ца вогӀу.</verse>
				<verse number="10">Иза цкъа а ша дитинчу цӀа чу юхавоьрзур вац, цуьнан цӀенна а иза кхин вевзар вац.</verse>
				<verse number="11">Цундела со вист ца хуьлуш соцур вац — аса со саготта хиларх лаьцна дуьйцур ду, сайгахь болу бала а дӀабуьйцур бу.</verse>
				<verse number="12">Со хӀорд бу те я хӀордан саьрмик бу те, Ахьа со ларван гӀарол хӀотто?</verse>
				<verse number="13">„Суна биллинчу матто суна синтем бийр бу, сан аьрзнех маьнгано суна гӀоле йийр ю“, — аьлла, аса ойла йича,</verse>
				<verse number="14">Ахьа со инзаречу гӀенашца кхераво, буьйсанан суьрташца со Ӏадийна латтаво.</verse>
				<verse number="15">Цундела со садукъдина валар гӀоле яра, хӀокху сайн дегӀа чохь со вехачул.</verse>
				<verse number="16">Суна сайн дахар къахьделла. Массо а ханна со вехаш хир вац. Витахь со, хӀунда аьлча сан дахар эрна ду.</verse>
				<verse number="17">ХӀунда хадабо Ахьа адаман сел лакхара мах? Ахь иза леррина тергал хӀунда веш ву?</verse>
				<verse number="18">ХӀунда вогӀу Хьо и волчу хӀора Ӏуьйранна? ХӀунда зоь Ахьа иза мел волчу хенахь?</verse>
				<verse number="19">Суна тӀера бӀаьрг Ахьа дӀа хӀунда ца боккху? Цхьанна а ханна Ахьа со-со хӀунда ца вуьту?</verse>
				<verse number="20">Адамаш ва тергал дийриг! Ас къа латийнехьара, Хьуна хӀун зен дийр дара ас? ХӀунда хӀоьттина со Хьан Ӏалашо хилла дӀа? Ахь дӀакхехьа беза мохь сох хиллий те?</verse>
				<verse number="21">Соьгара даьллачу къинна Ахь геч хӀунда ца до? Сан зуламна къинтӀера хӀунда ца волу Хьо? Со кестта ченалахь Ӏуьллур ма ву. Ахь со лохур ву, амма со кхин хир вац».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="8">
				<verse number="1">ТӀаккха шуахьахо волчу Билдада Аюбе элира:</verse>
				<verse number="2">«Дукха дийр дуй ахьа цу тайпана къамел? Хьан багара схьадолу дешнаш сиха мох санна ду.</verse>
				<verse number="3">Дала бакъдерг гамдо те? Нуьцкъалчо нийсо гамйо те?</verse>
				<verse number="4">Хьан бераша Цунна хьалха къа латийнехь, и къинош бахьана долуш Цо таӀзар до царна.</verse>
				<verse number="5">Нагахь хьо даггара Дела лоьхуш велахь, нуьцкъалчу Деле дехарш ахь дахь,</verse>
				<verse number="6">хьо билггал дика а, догцӀена а велахь, Иза хьуна орцах ван хьелур вац, хьуна йогӀу хӀусам Цо тойийр ю.</verse>
				<verse number="7">Хьан долахь хилларг кӀезиг хетар ду, хьан хинболу бахам алсам хир болу дела.</verse>
				<verse number="8">Хьайн дайшка хатта, царна гинчух лаьцна ойла е.</verse>
				<verse number="9">Селхана дуьнен чу девллачу тхуна хӀумма а ца хаьа, дуьнен тӀехь долу тхан дахар, ӀиндагӀ санна, сихло.</verse>
				<verse number="10">Дайша хьо Ӏамор ву, цара эр ду хьоьга, шайн дага тӀера дешнаш схьадохур ду:</verse>
				<verse number="11">„Уьшал йоцучохь шач тӀейолий? Хи доцучохь эрз тӀеболий?</verse>
				<verse number="12">Ховха а, хадоза а иза боллушехь, хи дӀалакъийча, вукху бецал а хьалха маргӀалбоьлла дӀахӀуттур бу.</verse>
				<verse number="13">Иштта ду массо а Дела вицвинчеран некъаш. Иштта хӀаллакьхир ю Ӏесачеран сатуьйсийла.</verse>
				<verse number="14">Цуьнан сатуьйсийла ледара ду, цуьнан тӀетовжийла гезгамаша бу.</verse>
				<verse number="15">Шен цӀенна тӀе тевжар ву иза, амма латталур вац, цо схьалоцур ду иза, амма иза хӀотталур вац“.</verse>
				<verse number="16">Иза дика яшийна товнехь йолу орамат санна ву, цуьнан зӀийдагаш ерриг а бешахула дӀаса а хецна.</verse>
				<verse number="17">Цуьнан орамаш тӀулгех дӀатийсалуш ду, жагӀанна юккъехула дӀаса а даьржаш.</verse>
				<verse number="18">Амма и орамат ша хьалха тӀедолуш хиллачуьра схьадаьккхича, и тӀедолуш йолчу меттигна иза дицлур ду. Цо эр ду: „Хьо кхузахь цкъа а ца гина!“</verse>
				<verse number="19">Эццахь кхачало цуьнан ирсе дахар, ткъа цуьнан метта лаьттара кхидерш тӀедовлу.</verse>
				<verse number="20">Гой хьуна, Везачу Эло бехк боцург дӀа ца тосу, вочарна Цо, куьйгаш схьа а лаьцна, гӀо а ца до.</verse>
				<verse number="21">Цо хьуна юхадерзор ду синкъераме велар, Цо иштта схьалур ду хьуна воккхаверан аз а.</verse>
				<verse number="22">Хьо ца везарш юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу, иштта Ӏесачеран четарш а кхин хир дац».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="9">
				<verse number="1">ТӀаккха Аюба жоп делира:</verse>
				<verse number="2">«Бакъ ду, со дика кхета ахь бохучух. Амма Далла хьалха адам нийса муха хир ду?</verse>
				<verse number="3">Нагахь цунна Цуьнца къовсавала лаахь, эзар хаттарна юккъера цхьанна а адаме жоп далалур дац.</verse>
				<verse number="4">Веза Эла хьекъал долуш а ву, Цуьнгахь ницкъ а бу, Цунна дуьхьал а ваьлла, зен ца хуьлуш виснарг мила ву?</verse>
				<verse number="5">ЦӀеххьана Цо лаьмнаш меттахдоху, Шен оьгӀазаллехь уьш харца а до.</verse>
				<verse number="6">Цо латта меттах а доккху, цуьнан баххаш дега а до.</verse>
				<verse number="7">Цо омра дича, малх а схьакхетар бац, Цуьнан седарчий дӀакъовла а таро ю.</verse>
				<verse number="8">Цо цхьаммо стигал дӀасаяржайо, Иза ву хӀордан тулгӀенаш тӀехула лелаш верг.</verse>
				<verse number="9">Дала кхоьллина ду Ча а, Орион а, ВорхӀ Седа а, иштта къилбехь долчу седарчийн массо куьцаш а.</verse>
				<verse number="10">Цо мел деш дерг кхетам тӀе ца кхочуш ду, Цуьнан тамашийна хӀуманаш дагар а далур дац.</verse>
				<verse number="11">Иза уллохула тӀехваьлча, суна гур а вац, Иза гергахула лелча, суна хаалур а вац.</verse>
				<verse number="12">Цунна хӀума дӀадаккха лаахь, Иза хьаьнга сацалур ву? Хьан эр ду Цуьнга: „Ахьа иза хӀунда до?“</verse>
				<verse number="13">Дала Шен оьгӀазалла сацор яц, хӀордан саьрмик болчу РахӀабан гӀоьнчий а Цуьнан куьйгашна кӀел охьатаӀийра.</verse>
				<verse number="14">Ткъа со муха къовсалур ву Цуьнца? Карор дуй суна Цуьнга ала хӀума?</verse>
				<verse number="15">Со бехк боцуш хилча а, соьга Цунна дуьхьал дош дахьалур дац. Соьга сан Кхелахочуьнга нийсо яр бен дехалур дац.</verse>
				<verse number="16">Ас кхайкхинчул тӀаьхьа Цо суна жоп делча а, со тешар вацара, Цунна со дӀахезна аьлча.</verse>
				<verse number="17">Йилбазмох а хьокхуьйтуш, Иза суна тӀекхета, бахьана доцуш сан чевнаш Цо совйоху,</verse>
				<verse number="18">соьга доккха са ца доккхуьйту Цо, сан дахар баланех хьаладузу.</verse>
				<verse number="19">Ницкъах лаьцна аьлча, Иза уггар Нуьцкъалниг ву. Кхелах лаьцна аьлча, Цо олу: „Со кхеле хьан озор вара?“</verse>
				<verse number="20">Со бакъ велахь а, сан матто суна кхел йийр яра. Со бехке вацахь а, Цо со бехке ву эр дара.</verse>
				<verse number="21">Со бехке вац! Сан бала бац сайна хӀуъа хир делахь а, хӀунда аьлча суна сайн дахар къахьделла.</verse>
				<verse number="22">Аса сайга боху: „Массо а хӀума бен доцуш ду. Бехк боцург а ле, бехк берг санна. Массеран а дахар хадош верг Дела ву“.</verse>
				<verse number="23">Еттачу шедо цӀеххьана Ӏожалла еача, бехк боцург дог доьхна хьовзарх кхаьрда Иза.</verse>
				<verse number="24">Дуьне Ӏесачеран кара дӀаделла ду, ткъа Цо кхелахойн бӀаьргаш дӀакъовлу. Цо дӀакъовлуш ца хилча, хьан къовлу уьш?</verse>
				<verse number="25">Сан денош геланчел а сиха дӀаоьхуш ду, цхьа а дика ца гуш, уьш дӀаоьхуш ду.</verse>
				<verse number="26">Уьш, эрзах дина дайн хинкема санна, тӀехдуьйлуш ду, шен ижуна тӀехьаьдда куьйра санна, сиха тӀехлелха уьш.</verse>
				<verse number="27">Ас Хьоьга ала тарлора: „Сайн аьрзнаш дицдийр ду ас, сайн юьхь самукъане хилийта“.</verse>
				<verse number="28">Амма со керлачу вонех кхоьру, хӀунда аьлча суна хаьа Ахьа бехк суна тӀе буьллур буйла.</verse>
				<verse number="29">Со юха а бехке узур хилча, стенна хьега деза аса эрна къа?</verse>
				<verse number="30">Лайн хица юьхь аса йилича а, сайн куьйгаш аса цӀенна сабанца цӀандича а,</verse>
				<verse number="31">Ахьа со тӀаккха а модашна юккъе вуллур вара. Сан бедаршна а со дегаза хетар вара.</verse>
				<verse number="32">Веза Эла со санна долу адам ма дац. Цундела сан аьтто бац Цунна жоп дала а, со Цуьнца цхьаьна кхеле ваха а.</verse>
				<verse number="33">Тхуна юкъахь юкъалеларг велахьара, шен куьйгаш тхуна тӀедахка.</verse>
				<verse number="34">Шен гӀаж суна тӀера Цо дӀайоккхийла, со Шен къематаца Цо кхера ма войла.</verse>
				<verse number="35">ТӀаккха со Цунах ца кхоьруш вист хир вара, хӀунда аьлча хӀинца со сайна чохь кхиниг ву».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="10">
				<verse number="1">Аюба кхидӀа а элира: [1] «Сан синна сан дахар къахьделла. Сайна чохь сецор бац аса сайн латкъамаш. Ас буьйцур бу сайн даг чохь болу бала.</verse>
				<verse number="2">Аса эр ду Деле: „Ма ехьа суна кхел. Дийцахьа суна, стенна тӀехь со бехкево Ахь?</verse>
				<verse number="3">Хьуна тамехь ду те суна гӀело яр а, Хьайн куьйгаша виначух кхардар а, ткъа Ӏесачийн ойланех Хьо воьлуш хилар а?</verse>
				<verse number="4">Адаман ши бӀаьрг бу те Хьан, я адамна санна са го те Хьуна?</verse>
				<verse number="5">Тхан дахар санна доца ду те Хьан дахар? Адаман санна ду те Хьан шераш?</verse>
				<verse number="6">Цу бахьаница ас къа латийна хилар Хьо лоьхуш ву те? Цундела ас зулам динийла Хьо леррина толлуш ву те?</verse>
				<verse number="7">Со бехк боцуш вуйла Хьайна хуъушехь, Ахь со дӀа ца хоьцу, со Хьан куьйга кӀелхьара ваккха стаг а вац.</verse>
				<verse number="8">Хьан куьйгаша кеп йина а, кхоьллина а ма ву со, кхачаме а, цӀенна а, ткъа хӀинца хӀаллак хӀунда во Ахьа со?</verse>
				<verse number="9">Дагадаийтахьа, Айхьа со поппарх вина, нисвина хилар. ХӀинца юха а сох чан ян воллу те Хьо?</verse>
				<verse number="10">Ахьа со, шура санна, охьавоьттира, ткъа юха, кӀалд санна, вукъвира Ахьа со.</verse>
				<verse number="11">Дилха а, чкъор а диллира Ахьа суна тӀе, даьӀахкашца, пхенашца вовшахтесира Ахьа со.</verse>
				<verse number="12">Ахьа суна дахар делира, хедар боцу безам а белира, гӀайгӀа барца сан са а лардеш.</verse>
				<verse number="13">ХӀара хилла-кх къайлаха Хьан даг чохь дерг, суна хаьа, иза Хьан даг чохь хиллий.</verse>
				<verse number="14">Аса къа латийча, Ахь цуьнан тидам бийр бара, аса латийнарг таӀзар доцуш дуьтур а дацара.</verse>
				<verse number="15">Со бехке велахь — декъаза хуьлийла со! Со бехке вацахь а, со корта хьалаайа а ваьхьар вац. Эхь хетарх вуьзна ву со, балано со вахийна.</verse>
				<verse number="16">Со жимма хьалатаьӀӀашехь, лом санна, тӀаьхьаволу Хьо суна, Хьайн тамашийна ницкъ юха а суна дуьхьалбоккхуш.</verse>
				<verse number="17">Ахьа суна дуьхьал керла тешаш боху, Хьайн оьгӀазалла чӀагӀ а еш. Юх-юха а керла тобанаш суна дуьхьалйовлуш ю.</verse>
				<verse number="18">ХӀунда ваьккхина Ахьа со сайн ненан кийрара схьа? Цхьана а стеган бӀаьрг кхетале со велла велара!</verse>
				<verse number="19">Со цкъа а хилла а ца хиллехьара! Ненан кийрара схьаволлушехь, коша чу виллина со хиллехьара!</verse>
				<verse number="20">Сан дахаран денойх кӀезиг бен дисна дац те? ДӀаверзахьа соьгахьара, жимма со воккхавейта,</verse>
				<verse number="21">юхавоьрзур воцучу меттиге со дӀакхалхале — бода а, Ӏожаллин ӀиндагӀ а долчу махка,</verse>
				<verse number="22">Ӏаьржа бода лаьттачу а, низам ца хуьлучу а махка, серло а боданах тера йолчу махка“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="11">
				<verse number="1">ТӀаккха наӀматхо волу Цупар Аюбе вистхилира:</verse>
				<verse number="2">«Дуккха а дийцинчу дешнашна дуьхьал дала жоп дац те? Дукха къамелаш деш верг бакъ ву ткъа?</verse>
				<verse number="3">Хьан даьссачу къамелаша тхо дист ца хуьлуш сацор ду моьтту хьуна? Кхаьрдаш волу хьо цхьаммо а юьхьӀаьржачу хӀоттор вац моьтту хьуна?</verse>
				<verse number="4">Ахьа Деле боху: „Сайн хьехамехь со бакъ ву, Хьан бӀаьргашна хьалха со цӀена ву“.</verse>
				<verse number="5">Суна луур дара, Аюб, Дела хьоьга вистхила, хьуна дуьхьал Цо Шен бага схьаелла.</verse>
				<verse number="6">Шен хьекъалаллин къайленаш Дала хьуна йовзуьйтур елахьара, бакъйолчу хьекъалаллин цхьа агӀо хилла ца Ӏарна. Суна луур дара хьуна хаийта, Далла хьан къинойх цхьадерш дицдалийтина хилар.</verse>
				<verse number="7">Делан кӀоргачу къайленашка хьо билггал кхачало те? Нуьцкъалчу Делан бухбоцучу бакъдолчух хьан кхета ницкъ кхочий те?</verse>
				<verse number="8">Иза стигалел лекха ду — муьлха адам цига кхачалур ду? Иза эхартал кӀорга ду — муьлхачу стагана иза хаалур ду?</verse>
				<verse number="9">Цуьнан барам лаьттал беха бу, иштта иза хӀордал шуьйра бу.</verse>
				<verse number="10">Цо, схьа а веана, милла а набахти чу а воьллина, иза кхеле озийча, Цунна дуьхьал мила вер ву?</verse>
				<verse number="11">Цунна харцонаш лелориг вевза. Нагахь санна Цунна зулам гахь, Цо иза дагахь латтор дац?</verse>
				<verse number="12">Хьекъал доцург хьекъале верзийча, виркхело йинчу вирах адам хир дара.</verse>
				<verse number="13">Хьан дог чӀогӀа Далла тӀетевжаш хила деза, Цуьнга дӀакховдо деза ахьа хьайн ши куьг а.</verse>
				<verse number="14">Хьайн куьйгашна тӀе вониг латийнехь, хьайгара генна дӀакхосса деза ахьа, ткъа хьайн четар чохь зулам а ма Ӏайта.</verse>
				<verse number="15">ТӀаккха хьанна а нийса бӀаьргаш чу хьажалур ву хьо, цхьаннах а ийза ца луш лелар ву хьо, цхьаннах а кхоьрур а вац хьо.</verse>
				<verse number="16">ТӀаккха хьайн гӀайгӀа билггал бицбийр бу ахьа, дӀадахана хи санна бен, иза дага ца лоцуш.</verse>
				<verse number="17">Хьан дахар делкъенан малхал къегар дара, боданах Ӏуьйренан серло хир яра.</verse>
				<verse number="18">Хьайн сатуьйсийла йолу дела, хьо маьрша хир вара. Дала лар а веш, хьо кхерамбоцуш наб кхеташ хир вара.</verse>
				<verse number="19">Цхьаммо а кхера а ца веш, хьо дӀавуьжур вара, дукхахберш хьуна хьалха хьесталуш а хир бара.</verse>
				<verse number="20">Ӏесачеран бӀаьргашна са кӀезиг гур ду, шаьш кӀелхьарбовла церан йиш хир яц. ТӀаьххьара а, садалар бен, церан сатуьйсийла хир яц».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="12">
				<verse number="1">ТӀаккха Аюба, жоп а луш, элира:</verse>
				<verse number="2">«Ма бакъ ду иза! Шу нехан бага ю теша? Шуьца цхьаьна хьекъалалла лийр ма ду!</verse>
				<verse number="3">Ткъа сан а ма ду хьекъал, шун санна. Ткъа со а ма вац шул оьшуш — иза хьанна ца хаьа?</verse>
				<verse number="4">Деле кхойкхуш, Цо жоп луш хилла волчу, сох белам хилла сан доттагӀашна. Нийса а, кхачаме а волчу сох кхардам хилла.</verse>
				<verse number="5">Синтем болчунна моьтту бохамах кхарда веза. Ког тасабелларг чутоттуш ву.</verse>
				<verse number="6">ПаргӀат ду талорхойн хӀусамашкахь, Дела оьгӀазвохуьйтурш а синтеме Ӏаш бу, цара Дела шайн карахь лелош волуш санна.</verse>
				<verse number="7">ТӀаккха хатта акхарошка — цара хьоьхур ду хьуна, стигаларчу олхазарша дуьйцур ду хьуна.</verse>
				<verse number="8">Лаьттаца къамел де — цо хьоьхур ду хьуна, хӀорда чуьрачу чӀерашка а дийцийта хьайга.</verse>
				<verse number="9">Царах массарах а хьанна ца хаьа, Везачу Элан куьйго и дерриг а дина дуйла?</verse>
				<verse number="10">Цуьнан карахь ду хьуна массо а дийначу хӀуманийн синош а, иштта массо а адамийн синош а.</verse>
				<verse number="11">Маттана юучун чам хааре терра, лергана а ца девза ткъа дешнаш</verse>
				<verse number="12">Къеначаьргахь хьекъалалла карор ду хьуна, дукха ваьхнарг кхетам болуш ма хуьлу.</verse>
				<verse number="13">Делехь ду хьекъалалла а, ницкъ а, иштта Цуьнгахь бу хьехам а, кхетам а.</verse>
				<verse number="14">Цо дохийнарг юхаметтахӀотталур дац, Цо чувоьллинарг паргӀатвер вац.</verse>
				<verse number="15">Цо догӀа сацадахь, массо а хӀума якъалур ю, Цо хиш схьахецахь, цара дерриг а латта хӀаллакдо.</verse>
				<verse number="16">Цуьнгахь ницкъ а бу, говзалла а ю, Цуьнан карахь ву Ӏехориг а, Ӏехийнарг а.</verse>
				<verse number="17">Хьехамчаш Цо хьекъалх эшабо, кхелахойх Цо сонтанаш а хуьлуьйту.</verse>
				<verse number="18">Паччахьашна тӀера хаза духарш дӀа а дохий, лейн бедарш царна тӀеюхуьйту Цо.</verse>
				<verse number="19">Динан дай Цо даржах эшабо, чӀагӀбина куьйгалхой херцабо, уьш тоххара дуьйна белахь а.</verse>
				<verse number="20">Тешамечу хьехамчийн къамелаш а сацадо, къеначеран къасторан хьуьнар а эшадо.</verse>
				<verse number="21">Сийлаллехь болчеран сий а дойу Цо, ницкъ болчаьргара ницкъ а дӀабоккху.</verse>
				<verse number="22">Боданехь хьулдинарг а Цо гучудоккху, Цо Ӏожаллин бода а серлонга боккху.</verse>
				<verse number="23">Цо халкъаш доьбуьйту, уьш хӀаллак а до. Къаьмнаш нуьцкъала а до, юха уьш дӀа а дуьгу.</verse>
				<verse number="24">Дуьненан мехкийн куьйгалхошкара хьекъал дӀа а оьций, уьш некъаш доцучу аренгахула буьйлабелла лоьлуьйту Цо.</verse>
				<verse number="25">Куьйган уьшаршца боданехь лела уьш, бехна нах санна, уьш тоьхкуьйту Цо».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="13">
				<verse number="1">Аюба элира: «И дерриг а сан бӀаьргашна гина ду, суна иза хезна ду, со цу хӀуманах кхета.</verse>
				<verse number="2">Шуна хууш дерг суна а хаьа. Со а ма вац шул оьшуш.</verse>
				<verse number="3">Амма Нуьцкъалчуьнга вистхила лаьа суна, Далла хьалха сайн гӀуллакх лардан лаьа!</verse>
				<verse number="4">Ткъа аша сан чевнашна харцонца лоьралла до, шу дерриш а — пайда боцу лоьраш ду.</verse>
				<verse number="5">ЭхӀ, кхин дист а ца хуьлуш, шу дӀасевцича, иза, шун хьекъалалла ду аьлла, туьдур дара.</verse>
				<verse number="6">ЛадогӀийша гӀуллакх лардан ас бохучуьнга, сайн багахула ас туьдучун тидам бейша.</verse>
				<verse number="7">Делан дуьхьа зуламе дерг бохур ду те аша? Цунна гӀоьнна мекарниг дуьйцур ду те аша?</verse>
				<verse number="8">Цуьнга озабезам бан лаьий шуна? Делан гӀуллакх лардан гӀерта шу?</verse>
				<verse number="9">Нагахь Цо шу зийча, дика хир дуй? Я Иза, адам санна, левийр ву аша?</verse>
				<verse number="10">Цо луьра таӀзар дийр ду шуна, аша къайлаха озабезам лелабахь.</verse>
				<verse number="11">Цуьнан возалло шу кхера ца до те? Цунна хьалха шуна тӀе кхерам ца буссу те?</verse>
				<verse number="12">Аш далийна кицанаш, овкъарш санна, эрна ду. Шаьш лардан боху дешнаш поппаран турсаш санна ду.</verse>
				<verse number="13">ДӀа а совций, со вистхилийта, тӀаккха кхунах луъург хилахьара.</verse>
				<verse number="14">Сайн дахар кхерамечу хьоле ас хӀунда хӀоттор дара? Сайн са ас куьйга тӀе хӀунда дуьллур дара?</verse>
				<verse number="15">Цо со билггал вийна дӀавоккхур ву, со сатуьйсийла йоцуш ву. Сайн лелар Цунна хьалха билггал лардийр ду аса.</verse>
				<verse number="16">Цу тӀехь хир ду сан кӀелхьарвалар, хӀунда аьлча Делах тешаш воцург Цунна хьалхахӀотта ваьхьар вац.</verse>
				<verse number="17">Дикка ладогӀийша аса бохучуьнга, сан кхеторан дешнийн тидам бейша.</verse>
				<verse number="18">Аса сайн гӀуллакх кхетачу къепехь кечдина. Суна хаьа, со бакъвина хир вуйла.</verse>
				<verse number="19">Мила ву соьца къовса йиш йолуш верг? Со дӀатуьйр а вара, вала реза а вара.</verse>
				<verse number="20">Ши хӀума ма дахьара Ахьа суна тӀехь, тӀаккха со лелар вацара Хьох къайлавуьйлуш:</verse>
				<verse number="21">суна тӀера Хьайн куьг а дӀадаккхахьара Ахьа, Хьайн къематаца со кхера а ма вахьара Ахьа.</verse>
				<verse number="22">ТӀаккха дӀакхайкха соьга, ас жоп лур ду Хьуна, я ас къамел дийр ду, ткъа Хьо суна жоп луш хир ву.</verse>
				<verse number="23">Мел ду сан къа а, сан зулам а? Сан аьрхалла а, зулам а гайтахьа суна!</verse>
				<verse number="24">ХӀунда лечкъайо Ахь сох Хьайн юьхь, хӀунда лору Ахь со Хьайн мостагӀа?</verse>
				<verse number="25">ДӀасалела гӀа санна волу со кхераво те Ахь? Декъа ча санна волчу суна тӀаьхьалела те Хьо?</verse>
				<verse number="26">Къаьхьа кхел ю Ахьа суна йинарг, жималлехь соьгара даьллачунна суна доькхуш.</verse>
				<verse number="27">Ахьа сан когашна буржалш тоьхна, ас мел боккхучу коге леррина хьоьжу, ас юьту лараш тергалйо Ахьа.</verse>
				<verse number="28">Иштта со, мурйоьлла дечиг санна а, нецаша йоу бедар санна а, телхаш ву».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="14">
				<verse number="1">Аюба элира: [1] «Зудчо вина волчу стеган дахар доца ду, иза баланех вуьзна а ву.</verse>
				<verse number="2">Зезаг санна, гучу а волий, маргӀалвулу иза. ӀиндагӀ санна, водий, дӀавоьду иза, къайлаволуш.</verse>
				<verse number="3">Иза ву-кх Ахьа тергал веш верг! Хьайца кхеле кхойкхуш ву-кх Ахьа со?</verse>
				<verse number="4">Боьхачунах цӀенаниг схьавер вуй? Вер вац.</verse>
				<verse number="5">Адаман дахаран денош дагардина ду. Ахьа дуьстина цуьнан дахаран беттанаш, царал тӀехвала цуьнан йиш а яц.</verse>
				<verse number="6">Цундела ма вехьа иза тергал, витахьа иза, цуьнан денош, тӀелаьцна волчу белхалочун санна, чекхдовллалц.</verse>
				<verse number="7">Ур-атталла диттан а сатуьйсийла ю: схьахадийча а, иза денлур ду, иза керла патар ца долуш а дуьсур дац.</verse>
				<verse number="8">Лаьттахь цуьнан орам къанлуш белахь а, цуьнан юьхк бухахь яла йоллуш лаьттахь а,</verse>
				<verse number="9">цхьажимма цунна хи тосалушшехь, керлачу орамато санна, зӀийдагаш дӀахоьцу цо.</verse>
				<verse number="10">Амма адам делча, иза телхий, дӀадолу. ТӀаьхьара са дӀа а долий, адам кхин ца хуьлу.</verse>
				<verse number="11">Ӏам чуьра хи къайладалар санна а, хи дӀа а дахана, Ӏовраш якъалуш хилар санна а,</verse>
				<verse number="12">иштта стаг дӀа а вуьжу, кхин хьала а ца гӀотту. Стигалш мел юьсу, адам ден а лур дац, шен даларан набарх сама а доккхур дац.</verse>
				<verse number="13">Эхартехь со къайлавоккхуш велара Хьо. ОьгӀазвахар дӀадаллалц со хьулвеш велара Хьо. Цигахь Ӏен хан суна билгал а яьккхина, цул тӀаьхьа со дагавогӀуш велара Хьуна.</verse>
				<verse number="14">Веллачул тӀаьхьа вехар вуй те стаг? Сайн къахьегаран дерриг а деношкахь со паргӀатваккхаре хьоьжуш Ӏийр вара со.</verse>
				<verse number="15">Хьо кхойкхур вара, ас Хьуна жоп а лур дара, Хьайн куьйгаша кхоьллинчу сох хьоьгуш хир вара Хьо.</verse>
				<verse number="16">Ас мел боккху ког Ахьа багарбийр бара, амма сан къинош Хьуна дагадогӀур дацара.</verse>
				<verse number="17">Соьгара даьлла зулам Ахьа тӀоьрмаг чу дӀадуьллур дара, айса летийна къинош Ахь дӀахьулдийр дара.</verse>
				<verse number="18">Охьабужу лам боьхна дӀабалар санна а, тарх шен меттера меттахъялар санна а,</verse>
				<verse number="19">хино тӀулгаш жимдар санна а, хин Ӏовраша латта дӀадахьар санна а, йохайо Ахьа адаман сатуьйсийла а.</verse>
				<verse number="20">Стагана тӀехь Ахь кхоччуш толам боккху, тӀаккха иза дӀакхелха. Ӏожаллехь цуьнан юьхь а хуьйций, Ахьа иза дӀа а хьажаво.</verse>
				<verse number="21">Шен бераш сий долуш хилча а, цунна ца хаьа, церан сий дайча а, цунна ца го.</verse>
				<verse number="22">Шен лазар бен ца хьоьгу цуьнан дегӀо, шен гӀайгӀа еш бен дац цуьнан са».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="15">
				<verse number="1">Теманхо волчу Элипаза жоп делира Аюбана:</verse>
				<verse number="2">«Хьекъал долчо эрначу хабаршца жоп лур дара те? Мохан даьссачух хьо санна волчо шен кийра бузур бара те?</verse>
				<verse number="3">Пайдабоцучу дешнашца цо ша бехказавоккхур вара те? Цхьанна а мехала ца хуьлучу къамелашца иза къийсалур вара те?</verse>
				<verse number="4">Амма ахь ур-атталла нехан суьпалла жим а йо, адамо Деле доӀа дарна ахь дуьхьало а йо.</verse>
				<verse number="5">Хьо къилахь хиларо Ӏамайо хьан бага. Хьайн лаамца хӀилланчийн мотт буьйцу ахь.</verse>
				<verse number="6">Со вац хьуна кхел йийриг, хьан бага ю, хьан матто хьуна дуьхьал тоьшалла до.</verse>
				<verse number="7">Адамашна юкъахь хьо дуьххьара кхоьллина ву моьтту хьуна, я лаьмнел а хьалха хьо вина ву моьтту хьуна?</verse>
				<verse number="8">Стигаларчу гуламехь Делан ойланашка ладуьйгӀирий те ахь? Я дерриг а хьекъалалла хьуна кхаьчна те?</verse>
				<verse number="9">Тхуна ца хуург хӀун ду хьуна хууш? Тхо ца кхеттачух стенах кхетта хьо?</verse>
				<verse number="10">Тхуна юкъахь къежбелла баккхийнаш бу, ткъа уьш хьан дел а баккхий бу.</verse>
				<verse number="11">Ца тоьу те хьуна Делера долу синхьаамаш, хьайца кӀеда деш долчу къамелах тоам ца бо те ахьа?</verse>
				<verse number="12">Стенна даьлла те хьан дог цу тайпана карзах? Стенна бу те хьан бӀаьргаш, ткъес санна, къегаш?</verse>
				<verse number="13">Хьайн са Далла дуьхьал хӀунда доккху те ахьа, хӀунда дуьйлуьйту ахьа хьайн багара и тайпа къамелаш?</verse>
				<verse number="14">Адам хӀун ду, Далла хьалха ша цӀена хилалур ду мотта? Зудчо винарг мила ву, Далла хьалха ша бакъ хилалур ву мотта?</verse>
				<verse number="15">Дела Шен дезачу маликех а ца теша, Цунна хьалха стигалш а цӀена яц.</verse>
				<verse number="16">Ткъа дегаза а, телхина а долу адам мила ду, хи молуш санна, вонаш деш лелаш долу?</verse>
				<verse number="17">Соьга ладогӀа, тӀаккха ас иза туьдур ду. Сайна гинчух лаьцна ас хьоьга дуьйцур ду.</verse>
				<verse number="18">Хьекъалалла долчара дийцинчух а, цара шайн дайшкара хезнарг, хьул а ца деш, дийцинчух лаьцна а хаам бийр бу аса хьоьга.</verse>
				<verse number="19">Вайн дайшна бен дӀаделла ца хилла латта, хийра нах царна юкъахь лелаш а ца хилла, цундела дайшкара дерг цӀена а, нийса а ду.</verse>
				<verse number="20">Ша мел вехачу деношкахь Ӏесаниг баланехь хьийза. Къизачу стагана билгалдаьхна шераш дагардина ду.</verse>
				<verse number="21">Къематечу маьхьарийн аз хуьлу цуьнан лерехь хезаш. Машар лаьттачу хенахь талорхой цунна тӀелета.</verse>
				<verse number="22">Боданах кӀелхьарваларе цо са ца туьйсу, даим а шена хьалха цунна гуш дерг тур ду.</verse>
				<verse number="23">Иза дӀасаоьхуш лела, ломъаьрзуна кхача а хуьлий, цунна хууш ду боданан де тӀекхаьчнийла.</verse>
				<verse number="24">Саготтоно а, синӀаткъамо а иза Ӏадийна латтаво, тӀамца вогӀу паччахь санна, тӀегӀерта уьш цунна.</verse>
				<verse number="25">И шадерг а цо Далла дуьхьал куьг айина хилар бахьана долуш ду, Нуьцкъалчунна дуьхьал иза валар бахьана долуш ду.</verse>
				<verse number="26">Курра дуьхьалволура иза Цунна, ша ларвархьама деза турс а даьккхина,</verse>
				<verse number="27">иза шех тоам бина волу дела а, дозаллина севсина волу дела а.</verse>
				<verse number="28">Иза йохийначу гӀаланашкахь вехаш ву, адамаш чохь даха ца дезачу, охьаэга кийча долчу цӀенош чохь.</verse>
				<verse number="29">Иза дукха ханна хьал долуш хир вац, цуьнан бахам а буьсур бац, лаьтта тӀехь цуьнан долахь дерг алсамдер дац.</verse>
				<verse number="30">Иза боданах кӀелхьарвалалур вац. ЦӀеран алуно патарш дакъош долу дитт санна, хир ву иза, ткъа Делан Ӏаьнаро иза дӀавоккхур ву.</verse>
				<verse number="31">Эрна долчух тешна Ӏаш ма хуьлийла иза, цунах ша Ӏеха ма войла цо, хӀунда аьлча эрналла цуьнан ял хир ю.</verse>
				<verse number="32">Шен дахар чаккхенга дерзале, иза дакъаделла, цкъа а сенделла дӀагӀур доцу га санна, хир ву.</verse>
				<verse number="33">Хилаза йолу кемсаш охьаоьгу кемсийн таьлланг санна, хир ву иза, я шен заза дожош долу зайт-дитт санна, хир ву.</verse>
				<verse number="34">Ӏесачийн тобанарчун тӀаьхье хир яц, ткъа кхаьънех доьгӀна цӀенош цӀаро дагор ду.</verse>
				<verse number="35">Шайн даг чохь вониг а кхуллу, цара зулам дӀа а хӀоттадо. Ӏесачеран кийрано мекарло йоккху».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="16">
				<verse number="1">Аюба цунна дуьхьал жоп делира:</verse>
				<verse number="2">«И саннарг суна дуккха а хезна, шун догъэцаро вон бен ца дахьа.</verse>
				<verse number="3">Хир юй те пайда боцучу къамелийн чаккхе? Иштта хабар деш хьо иракарахӀоттош дерг хӀун ду?</verse>
				<verse number="4">Аса а дуьйцур дара хӀинца аша санна, шу сан метта хилча, соьга а далур дара хаза къамелаш, кхардарца шуна дуьхьал корта а лестош.</verse>
				<verse number="5">Аса а сайн маттаца шу чӀагӀдийр дара, сан багахула даьллачо шуна синтем а бийр бара.</verse>
				<verse number="6">Со вистхилча а, сан бала дӀа ца болу, вист а ца хуьлуш со Ӏийча а, иза лах ца ло.</verse>
				<verse number="7">Дала сан тӀаьххьара гӀора дӀадаьккхина. Сан берриг а доьзал Цо бохийна-кх.</verse>
				<verse number="8">Цо со схьа-ма-лаьцна, ткъа иза суна дуьхьал тоьшалла ду. Сан гӀора дайна хилар суна дуьхьалдаьлла, сох бехкаш а дохуш.</verse>
				<verse number="9">Делан оьгӀазлоно со цоьсту, Шен цергаш суна хьекха а еш, Цо соьца мостагӀалла леладо. Сан МостагӀчо Шен ира хьажар суна тӀедерзадо.</verse>
				<verse number="10">Адамаша шайн баганаш суна дуьхьал гӀаттийна, дов дарца сан беснеш тӀе етта цара, уьш массо а суна дуьхьалбовлу.</verse>
				<verse number="11">Дала со вочу адамийн кара дӀавелла, Ӏесачеран буьйна со дӀа а кхоьссина.</verse>
				<verse number="12">Со синтеме Ӏаш вара, амма со кагвира Цо. Вортанна тӀера схьа а лаьцна, со войра Цо. Со Шен гӀакх санна вина дӀахӀоттийра Цо.</verse>
				<verse number="13">Цуьнан пхерчий массо а маьӀӀера схьадетталуш ду, Цо сан жаннех къа ца хеташ Ӏуьтту, сан стим а лаьтта тӀе охьаӀанийна.</verse>
				<verse number="14">Со пен болуш санна, юх-юха со вохош ву Иза. ТӀемало санна, суна тӀеуьду Иза.</verse>
				<verse number="15">Аса сайн чкъурана сингаттаман бедарш а тегна, гӀора а дайна, дог доьхна чена юккъе охьа а хиъна.</verse>
				<verse number="16">Велхарна сан юьхь цӀийелла, сан бӀаьргаш тӀехь Ӏожаллин ӀиндагӀ ду.</verse>
				<verse number="17">Иза иштта делахь а, сан куьйгаша цхьанна а ницкъ ца бина, сан доӀа цӀена ду.</verse>
				<verse number="18">Латта! Ма даккхахьа сан цӀий къайла! Ас хьоькху мохь къайлаха дӀахьулбина ма хуьлийла!</verse>
				<verse number="19">Делахь а, стигалахь сан Теш ву, лакхахь ву суна ТӀехӀуттуш верг а!</verse>
				<verse number="20">Сан юкъалеларг суна доттагӀа хилла дӀахӀоьттина, Деле а хьоьжуш, ас бӀаьрхиш Ӏенадечу хенахь.</verse>
				<verse number="21">Стеган дуьхьа цо Деле доьху, адамо шен доттагӀчун дуьхьа ма-деххара.</verse>
				<verse number="22">Сан дахаран шераш чекхдовлуш ду, юха ца воьрзучу новкъа волуш ву со».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="17">
				<verse number="1">Аюба кхидӀа а элира: [1] «Сан дог доьхна лаьтта, чекхдовлуш ду сан денош, со кошан йистехь лаьтташ ву.</verse>
				<verse number="2">Сох кхаьрдаш берш суна гонах лаьтта, сан бӀаьргаш церан мостагӀалла ган дезаш бу.</verse>
				<verse number="3">Дала дезарг дӀалохьа, Дела, со дӀахецархьама! Кхин мила хир ву сох дош дала лууш верг?</verse>
				<verse number="4">Церан дегнаш Ахь кхетамах даьхна, цундела Ахь цаьрга толам боккхуьйтур бац.</verse>
				<verse number="5">Са яккхархьама стага шен доттагӀий емалбахь, оцу адаман берийн бӀаьргаш кхулур ду.</verse>
				<verse number="6">Сох нахе кицанаш даладойтург вина Цо, юьхь тӀе шеташ етташ волу стаг ву со.</verse>
				<verse number="7">Сан бӀаьргаш балано талхийна, сан дегӀ ӀиндагӀ санна ду.</verse>
				<verse number="8">Бакъахьа леларш оцунах эргӀадбуьйлу, бехк боцурш Ӏесачунна карзахбуьйлу.</verse>
				<verse number="9">Делан лаамехь верг шен новкъа тӀера вер вац, ткъа куьйгаш цӀена дерш чӀагӀлуш дӀахӀуьттур бу.</verse>
				<verse number="10">Ткъа шу — кхин а цкъа схьа а дуьйла, дист а хила! Шуна юкъахь хьекъалалла дерг карор вац суна.</verse>
				<verse number="11">Сан денош чекхдевлла, ас йина ойланаш йоьхна, сан деган сатуьйсийла дӀаяьлла.</verse>
				<verse number="12">Цу наха буьйсанах де ду олу, суна хьалха бода лаьтташехь, серло тӀекхочуш ю олу.</verse>
				<verse number="13">Ас сатуьйсуш долу цӀа эхарт бен ца хилча, цигахь болчу боданехь сайна мотт ас биллича,</verse>
				<verse number="14">бух боцучу Ӏинах, сан да аьлла, цӀе яьккхича, кошан нӀаьнех сан нана я йиша ас аьлча,</verse>
				<verse number="15">тӀаккха мичахь ю сан сатуьйсийла? Сан догдохийла хьанна гур ду тӀаккха?</verse>
				<verse number="16">Соьца кхочур юй те иза эхартан кевне, соьца цхьаьна Ӏожаллин чене юьжур юй те?»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="18">
				<verse number="1">Иштта жоп делира шуахьахо волчу Билдада:</verse>
				<verse number="2">«Маца совцур ду те шу и къамелаш дечуьра? Ойла ейша, тӀаккха дийр ду вай къамел.</verse>
				<verse number="3">ХӀунда лору тхо бежанаш санна? Шун бӀаьргашна хьалха тхо кхетам боцуш ду хӀунда моьтту?</verse>
				<verse number="4">Хьо оьгӀазвахханчохь хьайн са доу ахьа. Хьо бахьана долуш дуьне дассо деза ткъа, я тарх шен меттера дӀахилийта еза ткъа?</verse>
				<verse number="5">Ӏесачун серло а кхулур ю, цуьнан цӀеран алу а лепар яц.</verse>
				<verse number="6">Цуьнан четар чохь серлонах бода хир бу, цунна тӀехула болу къуьда дӀабовр бу.</verse>
				<verse number="7">Цуьнан чӀогӀа болар а лахлур ду, шен ойланаша иза вужуьйтур ву.</verse>
				<verse number="8">Цуьнан когаша иза бойнна тӀе вуьгуш ву, бойнан машшаш тӀехула иза воьдуш ву.</verse>
				<verse number="9">Цуьнан кӀажа гуро дӀалоцуш бу, кӀелоно иза схьахоьцуш а вац.</verse>
				<verse number="10">Къайлаха речӀанаш цунна лаьттахь йоьгӀна ю, цуьнан некъаш тӀе доьгӀна гураш а ду.</verse>
				<verse number="11">Массо а агӀор цунна тӀегӀерташ кхерамаш бу, иза цхьана меттера вукху метте вуьйлуьйтуш.</verse>
				<verse number="12">Мацалло цуьнан ницкъ дӀакхоллу. Бохам цунна уллохь кийчча лаьтта.</verse>
				<verse number="13">Цамгаро цуьнан чкъор дӀакхоллуш ду, къизачу Ӏожалло дегӀан меженаш юуш ю.</verse>
				<verse number="14">Шен хӀусаман паргӀатонера схьа а ваьккхина, къематийн паччахь волчу вуьгур ву иза.</verse>
				<verse number="15">Цуьнан метта четар чохь кхин стаг Ӏийр ву, цуьнан хӀусамна тӀе тесна саьмгал хир ду.</verse>
				<verse number="16">Лахара цуьнан орамаш а дакъалур ду, лакха тӀера цуьнан гаьннаш а маргӀалдулур ду.</verse>
				<verse number="17">Дуьнен чохь иза дагавойтуш мел долу хӀума йойур ю, урамашкахь цуьнан цӀе кхин яьккхина хир яц.</verse>
				<verse number="18">Серлонгара бодане иза дӀалоллур ву, кху дуьнен чуьра иза дӀавоккхур ву.</verse>
				<verse number="19">Шен халкъана юкъахь бераш я кхин йолу тӀаьхье хир яц цуьнан, иза Ӏийначу меттехь цхьа а дийна вуьсур вац.</verse>
				<verse number="20">Малхбузера берш цуьнан кхолламах инзарбевр бу, малхбалера берш цунна хиллачух Ӏадийна лаьттар бу.</verse>
				<verse number="21">Баккъалла а, иштта хир ю вочун хӀусам, Дела къобал ца винчун цӀа иштта хир ду».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="19">
				<verse number="1">ТӀаккха Аюба жоп делира:</verse>
				<verse number="2">«Мел хьийзор ву аша со, шайн дешнашца со хьоьшуш?</verse>
				<verse number="3">Хьалха а уьттазза юьхь яьхна аша сан, шаьш са готта хьовзорах оза а ца луш.</verse>
				<verse number="4">Нагахь ас къа латийнехь а, сан гӀалат соьца дуьсур ду.</verse>
				<verse number="5">Нагахь санна со сийсазвина хилар суна тӀех а детташ, суна хьалха шу лакхадовла гӀертахь,</verse>
				<verse number="6">хаалаш: со охьатаӀийнарг Дела ву шуна, Шен гураш суна гонах дӀа а хӀиттийна.</verse>
				<verse number="7">Ас мохь бетта: „Со вуьйш ву!“ — бохуш, амма суна жоп луш цхьа а вац, ас орца доху, амма суна нийсо ца йо.</verse>
				<verse number="8">Суна хьалхара некъ Цо дӀалаьцна, цундела со дӀа ца вахало, сан некъаш тӀе Цо бода хӀоттийна.</verse>
				<verse number="9">Соьга хилла болу ларам Цо дӀабаьккхина, сан коьртара таж а дӀадаьккхина.</verse>
				<verse number="10">Массо а агӀонгара тӀеетта Цо суна, со леш ву! Сан сатуьйсийла дӀаяьккхина, орамашца схьадаьккхина дитт санна.</verse>
				<verse number="11">Иза суна дуьхьал оьгӀазаллех вуьзна ву, Цо со Шен мостагӀа санна лору.</verse>
				<verse number="12">Цуьнан ардангаш суна тӀегӀерта, шайна некъ а боккхуш, цара сан четарна го бина.</verse>
				<verse number="13">Сан гергарнаш суна уллора Цо дӀабаьхна, со вевзарш а сох къехка.</verse>
				<verse number="14">Сан тайпанах берш суна уллора дӀабевлла, со вевзаш хиллачара со вицвина.</verse>
				<verse number="15">Хьешашна а, ялхошна а со хийра хета, царна гергахь со хийра стаг ву.</verse>
				<verse number="16">Сайн ялхочуьнга кхойкху со, амма цо суна жоп ца ло, цуьнга дехарш дан дезаш хуьлу со.</verse>
				<verse number="17">Сан зуда сан Ӏаьнах къехка, сан берашна а со боьха хета.</verse>
				<verse number="18">Божаберашна а со сийсаза хета, со шайна гучуволлушехь, сох кхарда буьйлало.</verse>
				<verse number="19">Сан доттагӀашна а со боьха хета, суна безнарш а суна дуьхьалбевлла.</verse>
				<verse number="20">Сох, чкъор а, даьӀахкаш а бен, хӀумма а ца дисина, валлал бен суна чохь са а дац.</verse>
				<verse number="21">Къинхетам бейша! Къинхетам бейша сох, сан доттагӀий, сох хьакхаделларг Делан куьг ду!</verse>
				<verse number="22">ХӀунда лела шу суна тӀаьхьадевлла, Дела ма-леллара? ХӀунда лела шу суна кхин а мотт бетташ?</verse>
				<verse number="23">Сан дешнаш дӀаяздина делахьара! Уьш тептар тӀехь дӀаяздина делахьара!</verse>
				<verse number="24">Аьчка къоламца дошана тӀехула я массо а ханна тӀулга тӀехь уьш хьаькхна делахьара!</verse>
				<verse number="25">Суна хууш ду со Бехказавоккхург дийна вуйла а, Иза тӀаьххьара а лаьтта тӀехь дӀахӀуттур вуйла а.</verse>
				<verse number="26">Цамгарша сан чкъор дӀакхаьллинехь а, сайн дилхана юкъара суна Дела гур ву.</verse>
				<verse number="27">Суна сайна гур ву Иза. Сан бӀаьргашна гур ву, тӀаккха Иза суна хийра хир вац. Со хьаьгна ву иза хилийта!</verse>
				<verse number="28">Аша иштта аьллехь: „Цунна тӀаьхьа муха довла деза вай, баланийн бахьанаш цунна чохь карош хилча?“,</verse>
				<verse number="29">кхералаш туьрах, хӀунда аьлча дералло туьре бекхам бойту. ТӀаккха хуур ду шуна кхел юйла».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="20">
				<verse number="1">Иштта жоп делира наӀматхо волчу Цупара:</verse>
				<verse number="2">«Сан ойланаша соьга жоп долуьйту, цундела вистхила сихвелла со.</verse>
				<verse number="3">Со сийсазвоккхуш тӀехбеттамаш суна хезаш хилча, сан кхетамо со иракарахӀоттаво царна жоп дала.</verse>
				<verse number="4">Хьуна хууш дац, тоххара дуьйна схьа, лаьтта тӀехь адам кхоьллинчу хенахь дуьйна,</verse>
				<verse number="5">харцволчун синкъерам кӀеззигчу ханна буйла, Ӏесачун самукъадалар йоццачу ханна бен доцийла а?</verse>
				<verse number="6">Цуьнан куралла стигала кхаччалц лакхаяьлча а, цуьнан корта мархех хьекхалуш хилча а,</verse>
				<verse number="7">иза шен боьхалла санна, массо а ханна дӀавер ву, ткъа иза хьалха гина болчара: „Мичахь ву иза?“ — бохуш, хоьттур ду.</verse>
				<verse number="8">ГӀан санна, карор воцучу тайпана къайлавер ву иза, буьйсанан сурт санна, гучуьра дӀавоккхур ву иза.</verse>
				<verse number="9">Иза гина болчу бӀаьргашна кхин гур вац и, ваьхначу меттигашна а кхин гур вац иза.</verse>
				<verse number="10">Цуьнан кӀентий сагӀадоьхучарна хьалха а хьесталуш лелар бу, цо гулдина хьал цара юхадала дезаш ду.</verse>
				<verse number="11">Цуьнан дегӀ дузийна хилла къоналлин ницкъ цуьнца цхьаьна кошан ченала буьжур бу.</verse>
				<verse number="12">Вон цуьнан багахь мерза делахь а, цо маттана бухахь иза дӀалачкъадахь а,</verse>
				<verse number="13">иза лардеш, охьа а ца кхуссуш, шен багахь, стигална буьххьехь латтадо цо.</verse>
				<verse number="14">И санна кхача гай чохь муьста хир бу, цуьнан кийрахь лаьхьанан дӀовш хилла дӀахӀуттур бу.</verse>
				<verse number="15">Цо дӀакхаьллина болу дуьненан бахам схьаӀеттор бу, Дала цуьнга иза цуьнан кийрара схьатосуьйтур бу.</verse>
				<verse number="16">Цо цӀубдеш дерг лаьхьанан дӀовш ду, лаьхьанан матто иза вуьйр ву.</verse>
				<verse number="17">Цо зовкх хьоьгур дац татолех а, мазах а, кӀалдах а дуьзна долчу хих а.</verse>
				<verse number="18">Къахьегарца ша гулдинарг, дӀа а ца кхоллуш, юхадала деза цо, йохкаэцарх ша яьккхинчу санах цо зовкх хьоьгур дац,</verse>
				<verse number="19">хӀунда аьлча цо нах бацийна, ца вешаш, ша дина доцу церан цӀенош схьа а даьхна.</verse>
				<verse number="20">Цуьнан сутаралла бух боцуш яра, цуьнан лаамийн доза а дацара.</verse>
				<verse number="21">Цхьа а хӀума цо дӀакхаллаза дисна дац, цундела цуьнан беркат дукха лаьттар дац.</verse>
				<verse number="22">Шен совбаьллачу бахамна юкъахь цунна готта хир ду, цуьнан синан бала массо а ницкъаца цунна тӀе охьабужур бу.</verse>
				<verse number="23">Шен тӀингар цо эккха йоллуш юзош хилча, Делан оьгӀазалла юссур ю цунна тӀе, догӀа санна, цунна тӀе таӀзарш а доуьйтур ду.</verse>
				<verse number="24">Шаьлтанах кӀелхьарвалар цуьнан хилахь а, цӀестан секхаӀодан пха цунах кхетар бу.</verse>
				<verse number="25">И пха схьабаккха иза хӀоттахь, цуьнан стима юккъера къегаш иза схьабалахь, эццахь евзар ю цунна Ӏожаллин инзаралла!</verse>
				<verse number="26">Ӏаьржа бода бу иза ларвеш цуьнга хьоьжуш. Цхьаммо а серлайоккхуш йоцучу цӀаро дӀакхоллур ву иза, цуьнан четар чохь мел хилла долу хӀума а хӀаллакьхир ду.</verse>
				<verse number="27">Стигало цуьнан харц хилар дӀадоьллур ду, латта а цунна дуьхьалдер ду.</verse>
				<verse number="28">Цуьнан цӀера цо мел гулдинарг дӀадер ду, хи санна, дӀагӀур ду Делан оьгӀазаллин дийнахь.</verse>
				<verse number="29">Иштта хир ду Ӏесачун Делера долу дакъа, иштта Делера кхел а хир ю цунна».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="21">
				<verse number="1">Аюба цунна жоп делира:</verse>
				<verse number="2">«Дикка ладогӀалаш ас бохучуьнга, цунах суна шуьгара синхьаам хир бу.</verse>
				<verse number="3">Ас къамел дечу юкъана сатохалаш, со аьлла ваьллачул тӀаьхьа сох кхарда а мегар ду шуна.</verse>
				<verse number="4">Со адамна арз деш ву? Вац! Со собар доцуш хиларан доккха бахьана ду.</verse>
				<verse number="5">Соьга схьа а хьовсий, инзардовла, шайн бета тӀе куьг а дилла.</verse>
				<verse number="6">Цунах ас ойла йича, къемато дӀалоцу со, сан дегӀ а дего долало.</verse>
				<verse number="7">Ӏесанаш дукха хӀунда беха, къеналле а кхочуш, хьолехь сов а бохуш?</verse>
				<verse number="8">Церан бераш царна хьалха дӀахӀиттина хуьлу, церан тӀаьхье церан бӀаьргаш хьалха хьалакхуьу.</verse>
				<verse number="9">Церан цӀенош чохь кхерам ца лаьтта, Делан гӀаж а яц царна тӀехь тӀеайина.</verse>
				<verse number="10">Церан бугӀанашкахь массо а хенахь ницкъ хуьлу, ткъа церан хьелаша, оста а ца довлуш, эсий а до.</verse>
				<verse number="11">Жа санна, арабовлуьйту цара шайн кӀентий, церан кегий бераш дӀасалелхаш ловзу.</verse>
				<verse number="12">ЖиргӀанаш а етташ, дечиг-пондарш а лоькхуш, эшарш лоькху цара, зурманан гӀовгӀанехь са а къоьру.</verse>
				<verse number="13">Церан шераш беркатехь дӀаоьху, тӀаккха паргӀатонехь эхарте кхочу.</verse>
				<verse number="14">Цара Деле боху: „Дита тхо, Хьан некъаш довза тхуна ца лаьа!</verse>
				<verse number="15">Мила ву Нуьцкъалниг оха Цунна Ӏамал ян? ХӀун пайда болу доӀанца Цунна тӀе верзарх?“</verse>
				<verse number="16">Амма церан беркат церан-шайн куьйгаша кхоьллина дац. Иштта Ӏесачеран хьехамаш тӀеэцар генахь ду суна!</verse>
				<verse number="17">Кест-кеста бойий те Ӏесачийн чиркх? Кест-кеста вонаш догӀий те цаьрга? Ша оьгӀазваханчу хенахь кест-кеста Дала баланаш хьовзабой те царна тӀе?</verse>
				<verse number="18">Кест-кеста моха еана йолу ча санна бу те уьш, я йилбазмохо дӀахьош йолу кегаш санна бу те?</verse>
				<verse number="19">Бохуш ду: „Адамна догӀу таӀзар Дала цуьнан берашна кхоадо“. Амма ас олу: адамна шена дойла Цо таӀзар, иза кхетийта!</verse>
				<verse number="20">Цуьнан бӀаьргашна гойла шен хӀаллакьхилар, цо ша молийла Ницкъболчун оьгӀазалла!</verse>
				<verse number="21">Иза веллачул тӀаьхьа цуьнан хӀун бала бу шен доьзалан, цуьнан оьмаран беттанаш чекхдевлла хилча?</verse>
				<verse number="22">Далла хьехамаш бойла дуй те, Цо лаккхахь Ӏаш болчарна а кхел еш хилча?</verse>
				<verse number="23">Цхьаъ шегахь буьззина ницкъ болчу хенахь ле, цхьана а хӀуманан бала а, гӀайгӀа а йоцуш.</verse>
				<verse number="24">Цуьнан кийра махьарех буьзна бу, цуьнан даьӀахкаш тӀамарах юьзна ю.</verse>
				<verse number="25">Ткъа важа шен дог доьхначохь ле, цкъа а цхьана а дикачух зовкх а ца хьегна.</verse>
				<verse number="26">Амма и шиъ цхьабосса лаьтта вуьжу, нӀаьнаша цхьабосса къайла а воккху.</verse>
				<verse number="27">Суна шун ойланаш а, хӀилланаш а девза, аш сайна дуьхьал даха кечдина долу.</verse>
				<verse number="28">Аша олу: „Мичахь ду къизачу баьччанан цӀа? Мичахь ду Ӏесанаш чохь Ӏийна четар а?“</verse>
				<verse number="29">Некъахошка хаттарш ца дина те аша? Церан дийцарийн тидам ца бина те аша?</verse>
				<verse number="30">Бала тӀебеанчу дийнахь зуламхо кхоош хуьлу, Делан оьгӀазаллин дийнахь иза кӀелхьарвоккху.</verse>
				<verse number="31">Цуьнан лелар юьхь-дуьхьал хьан емалдийр ду? Цо диначух хьан бийр бу цунна бекхам?</verse>
				<verse number="32">Иза Ӏожаллин новкъа ваьккхинчул тӀаьхьа, цуьнан кошана улло гӀарол хӀоттадо.</verse>
				<verse number="33">ТогӀи чохь кошан латта цунна мерза хуьлу. Массо а стаг цунна тӀаьхьахӀоьттина вогӀу, цунна хьалха йоьду тоба ягарйина а вер вац.</verse>
				<verse number="34">Шун эрначу хабарх суна синхьаам муха хир бара? Аша мел динчу жоьпех харцо бен ца юьсу!»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="22">
				<verse number="1">Теманхо волчу Элипаза, жоп а луш, элира:</verse>
				<verse number="2">«Далла хӀун пайда бу адамах? Ур-атталла хьекъал долчух хӀун пайда бу Цунна?</verse>
				<verse number="3">ХӀун синкъерам бу Нуьцкъалчунна хьо бакъ хиларх? ХӀун пайда хир бара Цунна хьан некъаш цӀена хиларх?</verse>
				<verse number="4">Цунна хьалха хьо ларамах вуьзна хилар дуй те хьуна Ӏиттарш еш а, хьо кхеле вуьгуш а Иза лелар?</verse>
				<verse number="5">Бакъду, хьан вонаш дукха ду, хьан къинош доза доцуш ду.</verse>
				<verse number="6">Бахьана доцуш вежаршкара закъалташ ийдина ахьа, царна тӀера бедарш а яьхна, уьш беркъа а бохуш.</verse>
				<verse number="7">ГӀелвеллачунна мала хи а ца лора ахьа, мацвеллачуьнга бепиг а ца кховдадора.</verse>
				<verse number="8">Ницкъ болчуьнга ахьа латта схьалоцуьйтура, цӀеяхана верг цигахь ваха а хоуьйтура.</verse>
				<verse number="9">Бисина Ӏаш болу зударий даьссачу куьйгашца ахьа дӀабохуьйтура, ахьа байшкахь болу ницкъ а хӀаллакбора.</verse>
				<verse number="10">Цундела ду хьуна гонах хӀиттийна гураш, цундела хьо цӀеххьана къемато Ӏадийна ву.</verse>
				<verse number="11">Цундела хьуна хӀумма а ца галлал бода тӀебеана, цундела хи тӀедаларо хьо къайлавоккхуш ву.</verse>
				<verse number="12">Дела лекхачу стигалшкахь Ӏаш вац ткъа? Хьалахьажал седарчашка, мел лекха ду уьш!</verse>
				<verse number="13">Ткъа ахьа боху: „ХӀун хаьа Далла? Цуьнга адамна кхел ялур юй те юькъачу мархашна юкъара схьа?“</verse>
				<verse number="14">Мархаша хӀума ган Цунна новкъарло йо, Иза стигалан Ӏаьршашкахула лелачу хенахь.</verse>
				<verse number="15">Ткъа гӀур вуй те хьо кхидӀа а ширачу а, зуламхоша баьккхинчу а новкъа?</verse>
				<verse number="16">Уьш шайн хан а кхачале хӀаллакьхилла, ткъа церан цӀенош хино дӀадаьхьна.</verse>
				<verse number="17">Цара Деле баьхна: „ДӀавала тхуна уллора! ХӀун дийр ду тхуна Ницкъболчо?“</verse>
				<verse number="18">Ткъа Цо церан цӀенош хьолах хьаладузура. Амма ас церан хьехамаш тӀеоьцур бац!</verse>
				<verse number="19">Амма бакъахьа леларг, цаьрга а хьоьжуш, церан дакъазадийлар а гуш, сакъералуш хир ву, цӀена верг царах воьлуш а хир ву:</verse>
				<verse number="20">„ХӀаллакьхилла тхан мостагӀий, ткъа царах диснарг цӀаро хӀаллакдина“.</verse>
				<verse number="21">Делаца тайна хилахьа а, Цуьнца барт болуш вахахьа. Иштта хиларца хьуна тӀе дика догӀур ду.</verse>
				<verse number="22">Цуьнгара схьаболу хьехам дӀаэца, Цуьнан дош хьайн даг чу дӀадилла.</verse>
				<verse number="23">Нуьцкъалчунна тӀе верзахь, хьо юхаметтахӀоттийна хир ву. Нагахь санна хьайн хӀусамера къинош ахь дӀалахкахь,</verse>
				<verse number="24">нагахь хьайн деши ахь ченашка дӀакхоссахь, Апаран деши — Ӏаннийн тӀулгашка,</verse>
				<verse number="25">тӀаккха Нуьцкъала Дела хьан деши хилла дӀахӀуттур ву, Иза иштта къегаш долу дети санна хьуна хир ву.</verse>
				<verse number="26">ТӀаккха хьо Нуьцкъалчунах воккхавер ву, хьайн юьхь Далла дуьхьал а ерзор ю ахьа.</verse>
				<verse number="27">Ахьа доӀа дича, Цунна дӀахезар ду, тӀаккха кхочушдийр ду ахьа хьайн нигаташ.</verse>
				<verse number="28">Ахьа дагалаьцнарг дерриг а кхочушхир ду, хьан некъаш тӀехь серло хир ю лепаш.</verse>
				<verse number="29">Адамаш охьатаӀийна делахь, ахь эр ду: „Хьалаайина хила“, ткъа корта охьабахийтинарг Дала кӀелхьарвоккхур ву.</verse>
				<verse number="30">Бехк берг а Дала кӀелхьарвоккхур ву, цуьнан кӀелхьарвалар хьан цӀена куьйгаш бахьана долуш хир ду».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="23">
				<verse number="1">Аюба, жоп а луш, элира:</verse>
				<verse number="2">«Тахана а къаьхьа ду сан аьрзнаш, куьйгаца сайн узарш ас Ӏаткъадахь а.</verse>
				<verse number="3">Суна хууш делахьара, Дела мичахь карор ву а, Цуьнан хӀусам йолчу со дӀавогӀуш велахьара а,</verse>
				<verse number="4">аса дӀадуьйцур дара Цуьнга сайн гӀуллакх, сайн бага со бехказадохучу дешнех а юзур яра.</verse>
				<verse number="5">Цо сайга хӀун олу а хуур дара суна, Цо сайга бохучух а кхетар вара со.</verse>
				<verse number="6">Шен болчу ницкъаца соьца къовсалур вара те Иза? Вацара! Цо Шен тидам суна тӀебохуьйтур бара.</verse>
				<verse number="7">ТӀаккха бакъахьа лелаш волу со Цуьнца къовсавала мегара, ткъа суна а сан Кхелахочуьнгара массо а ханна паргӀато хир яра.</verse>
				<verse number="8">Со малхбузехьа дӀавоьду — цигахь Иза вац, малхбалехьа — цигахь а суна Иза ца караво.</verse>
				<verse number="9">Иза къилбаседехь къахьоьгуш хилча а, сан Цунах бӀаьрг а ца кхета, къилбехьа Иза дӀавирзина хилча а, суна Иза гуш вац.</verse>
				<verse number="10">Ткъа Цунна хууш ма ду, со лела некъ муьлха бу. Цо со зийча, деши санна, цӀена хилла дӀахӀуттур ву со.</verse>
				<verse number="11">Цуьнан лар лохуш, леррина вогӀу со. Юьстах а ца волуш, Цуьнан некъ ас ларбо.</verse>
				<verse number="12">Цуьнан багара девллачу весеташ тӀера со ца ваьлла, Цуьнан багара дешнаш сайн даг чохь Аса леладо.</verse>
				<verse number="13">Иза хийцам боцуш ву — мила ву Иза хийцавалийта? Шена дага мел деанарг Цо кхочушдийр ма ду.</verse>
				<verse number="14">Суна дуьхьал Ша леринарг Цо кхочушдийр ду, ишттаниг Цуьнан дуккха а ду дӀадиллина.</verse>
				<verse number="15">Цундела ву со Цунна хьалха Ӏадийна, айса ойла ешшехь — Цунах кхерало со.</verse>
				<verse number="16">Дала кӀаддина сан дог, Нуьцкъалчо со кхерийна.</verse>
				<verse number="17">Со вист ца хуьлуш лаьтташ вац, бода белахь а, сан юьхь Ӏаьржачу бодано дӀахьулйинехь а».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="24">
				<verse number="1">Аюба кхидӀа а элира: [1] «ХӀунда ца доху Нуьцкъалчо кхел ен денош билгал? ХӀунда ца го и денош Иза вевзачарна?</verse>
				<verse number="2">Адамаша доза къастош диллина тӀулгаш дӀасадоху, цара жаш лачкъа а до, уьш дажа а до.</verse>
				<verse number="3">Байлахь бисинчеран варраш дӀаюьгу, йисина Ӏачун сту закъалтана дӀабуьгу.</verse>
				<verse number="4">Цара къен верг шайн некъа тӀера дӀатотту, махкахь гӀело хьоьгурш къайлабуьйлуш лела безаш бу.</verse>
				<verse number="5">Аренгара акха варраш санна, кхача а лоьхуш, шайн болх кхочушбан арабовлу уьш. Яьссачу арено царна а, церан берашна а кхача ло.</verse>
				<verse number="6">Цара нехан кхаш тӀехь шайна докъар гулдо, хьарамлелачун кемсийн бешахь йиснарг схьагулйо.</verse>
				<verse number="7">ТӀехь хӀума доцуш дӀабуьйшу уьш, шийлачу заманахь тӀеюха хӀума а яц церан.</verse>
				<verse number="8">Ламанан догӀанаша уьш башабо, уьш тархех дӀахьерча, дӀалечкъийла шайн ца хиларна.</verse>
				<verse number="9">Бобераш декхачуьра доху, къечун аганара бер закъалтана доккху.</verse>
				<verse number="10">ТӀехь хӀума йоцуш лела къен нах. Ялта чудерзош болчара санна цара болх бахь а, уьш мацболуьйту.</verse>
				<verse number="11">РаьгӀнашна юкъахь, Ӏовдий, зайтдаьтта доккху цара, кемсаш Ӏуьйдуш мутта доккху, амма шаьш хьогалла лов цара.</verse>
				<verse number="12">ГӀалахь леш болчеран узарш ду хезаш, чевнаш йинарш а бу гӀо доьхуш, амма Далла церан доӀанаш дӀа ца хеза.</verse>
				<verse number="13">Серлонна дуьхьал гӀевттинарш а бу, царна ца девза Цуьнан некъаш, уьш цу некъаш тӀехула а ца лела.</verse>
				<verse number="14">Сахуьллуш хьалагӀотту нах бойург, къениг а, декъазаниг а цо воь, ткъа буьйсанна хӀума лачкъайо.</verse>
				<verse number="15">Нахаца леларг бода тӀебаре хьоьжу, цунна моьтту: „Со цхьанна а гур вац“, шен юьхь а цо туьтмӀаьжигаца дӀакъовлу.</verse>
				<verse number="16">Буьйсанна цӀийнан пенах Ӏуьрг доккху талорхоша, ткъа дийнахь, дӀа а ловчкъий, ара ца бовлу уьш. Дийнан серло хӀун ю царна а ца хаьа.</verse>
				<verse number="17">Царна массарна а Ӏуьйре — Ӏожаллин ӀиндагӀ санна ю, ткъа оцу ӀиндагӀан инзаралла царна евзаш ю.</verse>
				<verse number="18">Амма, хина тӀехула хӀуттург санна, уьш сихха дӀабовду. Царна кхаьчнарг лаьттан декъан тӀехь неӀалт ду, церан кемсийн беша боьду некъ а баьсса бу.</verse>
				<verse number="19">Йокъано дешаш долчу лайн хи дӀа-ма-худдара, иштта эхарто дӀахуду къинош летийнарш.</verse>
				<verse number="20">Ненан кийрано а иза вицво, цунах нӀаьнийн даар а хуьлу, цхьанна а иза дага а ца вогӀу, дитт санна, кагло къинош летийнарг.</verse>
				<verse number="21">Цара бер доцучунна а, бераш ца хиллачунна а гӀело йо, йисина Ӏачунна а диканиг ца до цара.</verse>
				<verse number="22">Амма Дала Шен ницкъаца ницкъберш а дӀакхоьхьу. Дела хьалагӀаьттича, шайн дахарх церан дегайовхо ца хуьлу.</verse>
				<verse number="23">Дала цаьрга кхерам ца хиларе сатийсийтахь а, Цуьнан бӀаьргаш церан некъашка хьажийна бу.</verse>
				<verse number="24">Уьш кӀезигчу ханна бен хьала ца айабелла, тӀаккха уьш бац. Охьа а эгна, уьш, берриш а санна, схьагулбеш бу. Кенан баххьаш санна, схьахадийна а хир бу уьш.</verse>
				<verse number="25">Иза иштта ца хилча, сан харц хилар гучу хьан доккхур ду? Сан дешнаш эрна ду хьан эр ду?»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="25">
				<verse number="1">Шуахьахо волчу Билдада, жоп луш, элира:</verse>
				<verse number="2">«Ӏедал а Делан ду, ларамах бузуьйтуш ву Иза. Лекхачу Шен стигалахь Цо машар латтабо.</verse>
				<verse number="3">Чот юй те Цуьнан эскарийн? Хьанна тӀе ца юссу Цуьнгара серло?</verse>
				<verse number="4">Муха хир ду адам Далла хьалха бакъ? Муха хир ву зудчо вина волу стаг цӀена?</verse>
				<verse number="5">Цуьнан бӀаьргашкахь бутт а сирла ца хилча, Цунна хьалха седарчий а цӀена ца хилча,</verse>
				<verse number="6">кхин а кӀезиг ду адам — нӀаьвцицигах а, нӀаьнах а терра бен вац адаман кӀант».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="26">
				<verse number="1">Жоп луш, Аюба элира:</verse>
				<verse number="2">«Стенна тӀехь гӀо дина ахьа гӀора дӀадаьллачунна? Куьйгашкахь ницкъ боцучунна гӀо диний ахь?</verse>
				<verse number="3">ХӀун хьехар дина ахьа хьекъал доцучунна? КӀорга хьекъалалла луш ницкъ бина ахьа хьайна!</verse>
				<verse number="4">Хьан гӀо дина хьуна и дешнаш ала? Хьенан са дара хьан багахула къамел дийриг?</verse>
				<verse number="5">Хина а, цунна чохь бехачарна а бухахь беллачийн синош дегош лаьтташ ду.</verse>
				<verse number="6">Эхарт Далла хьалха дерзина а ду, талхаран меттиган кхалор а яц.</verse>
				<verse number="7">Цо яьссаллина тӀехь къилбаседехьара стигал дӀаяржийна, цхьа а хӀума йоцучохь латта а хьалаоьллина.</verse>
				<verse number="8">Шен мархаш юкъахь хи схьагулдо Цо, ткъа марха хи деза хиларх екъа а ца ло.</verse>
				<verse number="9">Цо беттасин юьхь дӀалачкъайо, марха цунна тӀе а йохийтий.</verse>
				<verse number="10">Хи тӀехула сиз хьаькхна Цо, серлонна а, боданна а юкъара доза а къастош.</verse>
				<verse number="11">Цуьнан оьгӀазаллех инзардевлла, стигалара бӀогӀамаш ду дегош.</verse>
				<verse number="12">Шен ницкъаца хӀорд дӀатебира Цо, хӀордан саьрмик болу РахӀаб Цо Шен хьекъалаллица хьаьшира.</verse>
				<verse number="13">Цо схьадеттачу хӀоно стигал серлаяьккхира, Цуьнан куьг шершаш боьдучу лаьхьанах чекхбелира.</verse>
				<verse number="14">ХӀара дерриг а Цуьнан гӀуллакхийн кӀеззиг долу дакъа бен дац. Шабар-шибар дечу хенахь бен вайна Цунах лаьцна ца хеза! Ткъа Цуьнан ницкъан къекъар къасто хьенан хир яра йиш?»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="27">
				<verse number="1">Шен къамел кхидӀа а дира Аюба. Цо элира:</verse>
				<verse number="2">«Аса чӀагӀо йо суна нийса кхел ца йойтуш дийна волчу Делах а, сан дагна сингаттам баьккхина волчу Нуьцкъалчух а,</verse>
				<verse number="3">суна чохь садеӀар дӀадаллалц, сан мерӀуьргашкахь Делан са мел ду,</verse>
				<verse number="4">сан багара харцдерг арадер ма дац, сан матто бакъ доцург а дуьйцур ма дац!</verse>
				<verse number="5">ХӀуъа хилахь а, со аша бохучунна тӀетовр вац, со дийна мел ву, сайн цӀена хилар дойур дац ас.</verse>
				<verse number="6">Сайн бакъхилар чӀоггӀа латтадо аса, иза ас дӀа а лур дац — цу тӀехь сан даго, со мел веха, бехк а боккхур бац сох.</verse>
				<verse number="7">Сан мостагӀа харцонча санна лорийла, суна дуьхьал ваьлларг зуламхо санна хуьлийла.</verse>
				<verse number="8">Стенах сатийса деза Ӏесачо, Дала ша дӀатеттича, Цо шен са дӀаэцча?</verse>
				<verse number="9">Далла хезар дуй те цуьнан тийжар, цунна бохам тӀебеача?</verse>
				<verse number="10">Воккхавеш хир вуй те иза Нуьцкъалчух, кхойкхур вуй те иза Цуьнга массо а хенахь?</verse>
				<verse number="11">Ас дуьйцур ду шуна Делан куьйгах лаьцна, Нуьцкъалчун некъаш а шух къайладохур дац ас.</verse>
				<verse number="12">Шуна шайна а ма гина дерриг а. Стенна дуьйцу и даьсса хабарш?</verse>
				<verse number="13">ХӀара ду шуна харцо лелочунна Делера хиндерг, хӀара ду Нуьцкъалчуьнгара къизачунна кхочун дерг.</verse>
				<verse number="14">Цуьнан кӀентий мел дебарх, уьш туьро хӀаллакбийр бу, цуьнан тӀаьхьено дуззалц бепиг дуур дац.</verse>
				<verse number="15">Цунах тӀаьхьабиснарш Ӏожаллин уьно коше кхачор бу, царах бисинчу зударша царна тӀаьхьа тийжарш а дийр дац.</verse>
				<verse number="16">Ченал дукха дети шена гулдахь а, поппарал дукха бедарш цо гулъяхь а,</verse>
				<verse number="17">уьш Делан лаамехь болчара тӀедухур ду, цуьнан дети цӀена лелачара доькъур ду.</verse>
				<verse number="18">Цо шена деш долу цӀа нецан бен санна я хехочун бун санна, до.</verse>
				<verse number="19">ДӀавуьжуш, хьолада санна дӀавуьжу иза, амма самаваьлча, цуьнан бахам ца хуьлу. Цо бӀаьргаш схьабиллича, цуьнан хӀумма а дисина ца хуьлу.</verse>
				<verse number="20">Хи тӀедалар санна, тӀекхочур ду цунна Ӏадор. Буьйсанна шайтӀанан мохо иза дӀа а хьо.</verse>
				<verse number="21">Малхбалехьарчу мохо иза дӀаваьхьча, иза кхин хир вац. Шен метта тӀера оцу мохо дӀахьокхур ву иза.</verse>
				<verse number="22">Къинхетам боцучу мохо иза дӀахьоькху, цуьнан караравала гӀертачу хенахь.</verse>
				<verse number="23">Самукъадаьллачу мохо, цунах кхаьрдаш, тӀараш вовшахдетта, иза мел кхочучу меттехь цунна шок а етташ».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="28">
				<verse number="1">Иштта, дети доккху меттиг а ю, деши лалош а, цӀандеш а меттиг а ю.</verse>
				<verse number="2">Эчиг лаьтта бухара схьадоккху, ткъа цӀаста, маьӀда хуьлий, лела.</verse>
				<verse number="3">Серло а яхьаш, адамо хьехан бода дӀабоккху. Уггар генахь йолчу меттигашкахь лохуш ву иза. КӀоргачу боданехь маьӀда лохуш ву иза.</verse>
				<verse number="4">Цо лаьттах маьӀда даккха гӀу йоккху, нах Ӏаш болчунна генахь а йолуш, адаман ког кхачаза йолчу меттигашкахь. Адамашна генахь а волуш, гӀун чохь машшаш тӀехь кхозу иза.</verse>
				<verse number="5">Шена тӀехь ялта кхуьуш долу латта, кӀоргенехь цӀарца дагийча санна, аьхкина хуьлу.</verse>
				<verse number="6">Оцу меттигехь саппир цӀе йолу тӀулгаш ду, ткъа царна тӀехь дешин чан ю.</verse>
				<verse number="7">Цига боьду некъ цхьана а акха олхазарна а ца бевза, и некъ цхьана а лечин бӀаьргана а ца гина.</verse>
				<verse number="8">Курачу акхаройн лар а цига ца кхаьчна, иштта цхьа а лом цигахь ца лелла.</verse>
				<verse number="9">Адамаша тархийн чӀогӀалла йохош шайна некъаш доху, цара лаьмнаш ораматашна тӀера дуьйна тӀекӀелдоху.</verse>
				<verse number="10">Цара тархашна юккъехь шайна некъаш доху, лаьтта бухара бахам гучуболу церан бӀаьргашна хьалха.</verse>
				<verse number="11">Цара хиш арадовлу кортош а лоьху, къайлаха долу хӀума гучу а доккху.</verse>
				<verse number="12">Амма мичара доккху те хьекъалалла? Кхетамалла йолу меттиг мичахь ю те?</verse>
				<verse number="13">Адамна цуьнан мах а ца бевза, дийначийн лаьтта тӀехь а иза карор бац.</verse>
				<verse number="14">КӀоргачу хино боху: «Суна чохь иза дац». ХӀордо а боху: «Соьгахь а иза дац».</verse>
				<verse number="15">ЦӀеначу деших а иза лур дац, дети а оьзна, цунах а иза эцалур дац.</verse>
				<verse number="16">Апаран дешица а иза дусталур дац, я дезачу тӀулгех ониксах а, саппирах а дусталур дац.</verse>
				<verse number="17">Я деши а, я цӀена ангали а цуьнца дусталур дац, я цӀеначу деших йолчу пхьегӀех а хийцалур дац.</verse>
				<verse number="18">Маржанаш а, чекхсагун тӀулгаш а дийца а ца оьшу, хьекъалалле кхачар массо а жовхӀарел а деза ду.</verse>
				<verse number="19">Цуьнца нислур дац Хуша-махкара топаз, цӀеначу деших иза эцалур дац.</verse>
				<verse number="20">Мичара долу те хьекъалалла? Мичахь ю те кхетамаллин меттиг?</verse>
				<verse number="21">Иза массо а дийначу хӀуманан бӀаьргах къайладаьккхина ду, иштта стигаларчу олхазарех а къайладаьккхина.</verse>
				<verse number="22">Талхаран меттиго а, Ӏожалло а боху: «Тхан лере цунах хабар бен ца кхаьчна».</verse>
				<verse number="23">Далла бен ца хаьа цунна тӀебоьду некъ, Цунна хаьа иза долу меттиг а,</verse>
				<verse number="24">хӀунда аьлча Цунна дуьненан йисте кхаччалц дерриг а гуш ду, стигална бухахь дерг а дерриг а гуш ду.</verse>
				<verse number="25">Цо механ ницкъ билгалбаьккхинчу хенахь, хийн барам билгалбаьккхинчу хенахь,</verse>
				<verse number="26">иштта догӀанна бакъо лучу хенахь, ткъесана тача лучу хенахь,</verse>
				<verse number="27">эццахь хьекъалалла а гина, иза талла а теллина, цуьнан йозалла а йовзийтина, иза дӀахӀоттийра Цо.</verse>
				<verse number="28">ТӀаккха аьлла Цо адаме: «Хьалдолчу Эле ларамах вуьзна хилар — иза хьекъалалла ду, ткъа зуламна генавалар — иза кхетамалла ду».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="29">
				<verse number="1">Аюб кхин а къамел дан волавелира:</verse>
				<verse number="2">«Ма лаьар-кх суна дӀадахана беттанаш духадоьрзийла, Дала со ларвеш хилла долу денош духадоьрзийла,</verse>
				<verse number="3">Цуьнан къуьда сан коьрта тӀехула богуш а болуш, ткъа со Цуьнан серлонехь боданехь санна лелла хан!</verse>
				<verse number="4">Иза дара сан дахаран тоьллачу деношкахь, Делаца йолу тӀекаре сан хӀусамехь йолчу хенахь.</verse>
				<verse number="5">Нуьцкъала Дела соьца вара, сан бераш а дара суна уллохь.</verse>
				<verse number="6">Шуьрин татолаш дара со лелачу некъаш тӀехь, ткъа тарха тӀера охьаоьхуш зайтдаьтта дара.</verse>
				<verse number="7">ГӀалин ков долчу ара а ваьлла, со майданахь сайн метте охьахиъча,</verse>
				<verse number="8">кегий нах, сох шайн бӀаьрг кхетча, суна хьалха къайлабовлура, ткъа къаной, хьала а гӀовттий, лаьттара.</verse>
				<verse number="9">Баьччанаш, бист а ца хуьлуш, шайн бета тӀе куьг а дуьллий, лаьттара.</verse>
				<verse number="10">Ткъа хьалдолчеран аьзнаш дӀасовцура, церан меттанаш стигалх дӀалетара.</verse>
				<verse number="11">Со хезаш мел верг со хестош хуьлура, ткъа со гинарш суна хастамаш беш хуьлура,</verse>
				<verse number="12">хӀунда аьлча аса гӀо доьху пекъар кӀелхьарвоккхура, гӀо доцуш болчу боберашкахьа гӀо а доккхура.</verse>
				<verse number="13">Лечуьра кӀелхьарваьккхинчо со декъал а вора, бисинчу зударийн дегнийн а ас самукъадолуьйтура.</verse>
				<verse number="14">Бакъахьа лелар — сан духар санна дара, ткъа нийсо — сан оба а, чалба а санна яра.</verse>
				<verse number="15">Со бӀаьрзечунна бӀаьргийн метта вара, ткъа астагӀчунна когийн метта вара.</verse>
				<verse number="16">Мискачарна со ден метта вара, хийрачун гӀуллакх а ас къастадора.</verse>
				<verse number="17">Зуламхойн моччагӀалш а ас дохадора, церан багара ижу а ас схьайоккхура.</verse>
				<verse number="18">Ас олура: „Со сайн бен чохь лийр ву, сан денош, хӀорда йистера гӀум санна, дукха хир ду,</verse>
				<verse number="19">сан орамаш хи тӀе кхочу, сан гаьннаш тӀехь бецан тхи а ду буьйса йоккхуш,</verse>
				<verse number="20">сан сий а дац тишлуш, сан ницкъ а карлаболуш лаьтта“.</verse>
				<verse number="21">Адамаша собарца ладугӀура соьга, дист а ца хуьлуш, сан хьехаме хьожура.</verse>
				<verse number="22">Ас аьлларг дийцаре а ца доккхура цара, сан дешнаш, догӀа санна, царна тӀеоьхура.</verse>
				<verse number="23">ДогӀане санна, сатуьйсура цара соьга, бӀаьстенан догӀанан тӀадамашна санна, шайн баганаш хьала а гӀиттайора.</verse>
				<verse number="24">Уьш ца тешара, со шайна велавелча, сан юьхь тӀера лепаро уьш иракара а хӀиттабора.</verse>
				<verse number="25">Ас царна некъ гойтура, со церан баьчча а вара. Шен эскархошна юкъахь Ӏаш волу паччахь санна, вара со царна юкъахь. Дог доьхначарна синхьаам беш верг санна, вара со царна».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="30">
				<verse number="1">Аюба кхидӀа а элира: [1] «ХӀинца сол жимах берш сох буьйлуш бу. Церан дай ас сайн жа лардеш долчу жӀаьлешна улло а буьтур бацара.</verse>
				<verse number="2">Суна хӀун пайда бара куьйгашкахь болчу ницкъах, оцу дайн гӀора цаьргара дӀадаьхьна хилча?</verse>
				<verse number="3">Къоьллех а, мацаллех а гӀелбелла, буьйсанна яьссачу аренгахь декъа орамаш доура цара.</verse>
				<verse number="4">Коьллашна юкъара сорам боккхура цара, ткъа чаьмза жолам-колл царна кхачанна яра.</verse>
				<verse number="5">Адамашна юкъара дӀалоьхкура уьш, къушна тӀе санна, царна тӀе мохь хьоькхура.</verse>
				<verse number="6">Церан Ӏойла дакъаделлачу хин Ӏаннаш чохь ду, лаьттах долчу оьрнашна а, тархашна а юкъахь.</verse>
				<verse number="7">Коканийн коьллашна юкъахь, варраш санна, Ӏоьхура уьш, нитташна юкъахь шаьш дӀахьулбора.</verse>
				<verse number="8">ЦӀе йоцу, пайда боцу, махкара лаьллина лелош йолу арданг!</verse>
				<verse number="9">Цара сох хӀинца кхардаран йиш лоькху, сох лаьцна цара масалш а даладо.</verse>
				<verse number="10">Царна со дегаза а хета, уьш сох къехка а къехка, со шайна гушшехь, туйнаш а кхуьссу цара.</verse>
				<verse number="11">Сан секхаӀодан зӀенар дӀа а яьстина, Дала со гӀел а вина, суна гӀело а йина. Цундела суна дуьхьал дуьрста йоцуш бу уьш.</verse>
				<verse number="12">Аьтто агӀор суна тӀелета и арданг, сан когаш тӀера со бертал ветта цара, со верхьама шайна некъ а боккхуш.</verse>
				<verse number="13">Цара сан кӀелхьарваларан некъ бохийна, со дакъазаваккхарна аьтто бо цара, цхьа а шайна гӀо деш воцуш.</verse>
				<verse number="14">Пенах даьккхинчу доккхачу Ӏуьргах санна, чулелха уьш суна. Пенан дакъош охьадужучу хенахь суна тӀебеттало уьш.</verse>
				<verse number="15">Ӏадош долу къематаш догӀу суна тӀе, сан юьхькӀам, мохо санна, дӀасабаржабо, со кӀелхьарваларан йиш, марха санна, йов.</verse>
				<verse number="16">Сан са дӀадолуш доллу, баланийн денош тӀекхаьчна суна.</verse>
				<verse number="17">Буьйсанна сан даьӀахкаш лозу, сан лазар а дац цкъа а соцуш.</verse>
				<verse number="18">Боккхачу ницкъаца сан бедар хьийза а еш, Дала сан барзакъан кач дӀалоцу.</verse>
				<verse number="19">Цо со хоттана юккъе кхуссу, хӀинца со чан а, овкъарш а санна ву.</verse>
				<verse number="20">Со Хьоьга кхойкху, амма Ахьа суна жоп ца ло, со Хьуна хьалха лаьтташ ву, амма Хьо соьга схьа ца хьожу.</verse>
				<verse number="21">Нуьцкъала Дела, ма къиза ву-кх Хьо соьца, Хьайн нуьцкъала куьг суна дуьхьал даьккхи-кх Ахьа.</verse>
				<verse number="22">Со хьала а айина, сихачу мохе хьовзавайти Ахьа, чӀогӀа хьоькхучу мохаца со дӀаса а ветта Ахьа.</verse>
				<verse number="23">Суна хууш ду, Ахьа со Ӏожалле вуьгуш вуйла, дуьнен чохь вехаш волу массо а стаг кхочур волчу метте.</verse>
				<verse number="24">Декъазачунна тӀе куьг айдеш хуьлу, орца а дохуш, цунна тӀехь хала киртиг хилча?</verse>
				<verse number="25">Хала дахар долчунах воьлхуш вацара те со? Къечунах къинхетам ца бора те ас?</verse>
				<verse number="26">Ас диканах сатуьйсучу хенахь, бала кхечи соьга, ас серлоне сатесча, бода тӀебеа.</verse>
				<verse number="27">Сан кийрара цӀе дӀа ца йолу, баланийн денош ду суна тӀедаьхкина.</verse>
				<verse number="28">Сан чкъор Ӏаржделла, амма иза малхо Ӏарждина дац. Адамийн гуламна хьалха дӀа а хӀоьттина, ас гӀо доьху.</verse>
				<verse number="29">Со хӀинца чангӀалкхийн ваша а, страусийн доттагӀа а хилла.</verse>
				<verse number="30">Ӏаржделла сан чкъор охьадужу, дерриг а сан дегӀ дагаро дӀалаьцна.</verse>
				<verse number="31">Сан мерз-пондар а бу боьлхуш, тийжаш ю сан зурма а».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="31">
				<verse number="1">Аюба кхидӀа а элира: [1] «Сайн бӀаьргашца бина барт бу сан, уьш зудабере хьарамлонца дӀахьожур бац аьлла.</verse>
				<verse number="2">Иштта хилча, хӀун кхоллам бара те лакхарчу Дала суна кечбинарг? ХӀун кхел йинера те суна стигаларчу Нуьцкъалчо?</verse>
				<verse number="3">Зуламхошна лерина дац те дакъазабовлар, харцонаш лелочарна лерина бац те бохам?</verse>
				<verse number="4">Далла ца го те сан некъаш, массо а сан гӀулч Цо ягар ца йо те?</verse>
				<verse number="5">Ас чӀагӀо йо, со харцонаш еш ца лелла аьлла, мекарниг дан сан ког сих ца белла аьлла.</verse>
				<verse number="6">Дала со бакъдолчу терзан тӀехь узийла, тӀаккха хуур дара Цунна, со цӀена вуйла.</verse>
				<verse number="7">Со нийсачу некъа тӀера галваьллехь, сан бӀаьргаша сан дог вонна тӀе дерзийнехь, сан куьйгаш хьарамчу хӀумано бехдинехь, —</verse>
				<verse number="8">ас дӀадийнарг кхечо доийла, сан зӀийдагаш орамашца цхьаьна хьалайохийла.</verse>
				<verse number="9">Нагахь сан дагна уллорачун зуда а езаелла, сайн уллорачун неӀарехь кӀелонаш ас йинехь,</verse>
				<verse number="10">сан зудчо кхечунна кохьар хьийзайойла, цуьнца буьйшуш кхиберш а хуьлийла,</verse>
				<verse number="11">хӀунда аьлча иза хьарамло хир яра, цунна кхелахой кхел ян езаш хир бара.</verse>
				<verse number="12">Иза массо а хӀаллакдеш йолу цӀе хир яра. Ас къа мел хьегнарг дакъазадоккхур дара.</verse>
				<verse number="13">Нагахь ас сайн ялхошца нийсо лелош ца хиллехь, церан сайца къовсам баьлча,</verse>
				<verse number="14">ас хӀун дийр дара, Дела суна хьалха дӀахӀоьттича? Цо сайга хаттар дича, ас хӀун эр дара Цуьнга?</verse>
				<verse number="15">Со Кхоьллинчо и ялхо а ца кхоьллина те? Тхайн нанойн кийрахь тхойшиъ а Цо ца кечвина те?</verse>
				<verse number="16">Ас чӀагӀо йо, къечун дехар ас дӀа ца теттина аьлла, йисина Ӏачу зудчун бӀаьргаш ас ца кхолийтина аьлла.</verse>
				<verse number="17">Ас чӀагӀо йо, сайн бепиг ас сайна ца дитина аьлла, цунах байлахь бисинчарна дакъа а ца деш.</verse>
				<verse number="18">Со жима волчу хенахь дуьйна байлахь бисинчарна да санна хилла, бисина болчу зударшна ненан кийрахь дуьйна гӀо дина ас.</verse>
				<verse number="19">ТӀедуха хӀума цахиларна стага бала хьегар а, къечу стагана тӀетаса хӀума цахилар а сайна гича,</verse>
				<verse number="20">ас царна тӀедуха хӀума лора, сан уьстагӀийн тӀергӀано уьш бох а бора, ткъа цара даггара баркаллаш а олура.</verse>
				<verse number="21">Нагахь ас боберана дуьхьал буй айбинехь, гӀалин кевнехь болчу кхелахошкара сайна гӀо хир дуйла а хууш,</verse>
				<verse number="22">сан куьг белша тӀера охьадужийла, пхьаьрсан голлец каглойла сан куьг.</verse>
				<verse number="23">ХӀунда аьлча Дала сайна бохам барх со чӀогӀа кхоьруш вара. Цуьнан возаллина дуьхьалвала сан ницкъ хир бацара.</verse>
				<verse number="24">Нагахь санна со деших тешнехь, я цӀеначу дешига ас аьллехь: „Хьо сан чӀагӀо ю“,</verse>
				<verse number="25">нагахь санна ас сайн доккхачу хьолах дозалла динехь, сайн куьйгаша къа мел хьегначух со сакъераделла хиллехь,</verse>
				<verse number="26">нагахь санна маьлхан къегаш хиларе а, беттасин сийлахьчу боларе а хьоьжуш,</verse>
				<verse number="27">сан дог царах къайлаха Ӏеха а делла, уьш лара куьйгана барт ас баьккхинехь,</verse>
				<verse number="28">иза кхел ян дезаш долу зулам хир дара, лакхарчу Далла ас тешнабехк бийр бара.</verse>
				<verse number="29">Сайн мостагӀа валар бахьана долуш воккхавеш хилла со, я цуьнга вон деача, сакъералуш хилла?</verse>
				<verse number="30">МостагӀчунна Ӏожаллин неӀалт кхайкхош, сайн баге къа ца летадайтира ас.</verse>
				<verse number="31">Сан хӀусамна чохь болчара эр ма ду: „Аюба жижигах ца вузийнарг вуй ткъа?“</verse>
				<verse number="32">Ваьлла лелачо цкъа а арахь буьйса ца яьккхина: сан цӀийнан неӀарш цунна массо а хенахь дӀайиллина хилла.</verse>
				<verse number="33">33-34 Ас чӀагӀо йо, сайн къинош сайн четахь дӀа ца хьулдина аьлла, кхечу адамаша санна, цкъа а сайн зулам ас къайла ца даьхьна аьлла, хӀунда аьлча адамийн тобанех со дӀакъехкар вара, вист а ца хуьлуш, сайн хӀусама чохь сеццал, тукхамашна дола хетарх кхоьрур а вара.</verse>
				<verse number="34">***</verse>
				<verse number="35">Соьга стаг ладугӀуш велахьара! Айса мел аьлларг чӀагӀдо ас. Нуьцкъалниг суна жоп луш велахьара! Нагахь санна со бехкевеш волчо сан стенна тӀехь бехк бу яздинехьара,</verse>
				<verse number="36">и йоза ас сайн белшаш тӀехь лелор дара, таж санна, иза сайн коьрта тӀе дуьллур дара.</verse>
				<verse number="37">ТӀаккха айса мел баьккхина ког дӀабуьйцур бара аса, элана санна, Цунна улло гӀур вара со.</verse>
				<verse number="38">Сан лаьтто суна дуьхьал кхайкхош делахь, оханна тӀера хершнаш доьлхуш делахь,</verse>
				<verse number="39">ас царна тӀера ялта мах боцуш диънехь, я цу ахархойн дегнаш ас дохийнехь,</verse>
				<verse number="40">кха тӀехь кӀен метта коканаш долийла, ткъа мекхан метта асар хьалакхуьийла». Цу тӀехь чекхделира Аюбан къамел.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="32">
				<verse number="1">ТӀаккха Аюбан кхо доттагӀа цунна дуьхьал хӀумма а ца олуш сецира, хӀунда аьлча иза ша бакъ хиларх тешна вара.</verse>
				<verse number="2">Эццахь бузихойх волу Барахиалан кӀант ЭлихӀу оьгӀазвахара. Иза ша Раман доьзалера вара. ЭлихӀу Аюбана оьгӀазвахара, цо ша Делал а чӀогӀа бакъвар бахьана долуш.</verse>
				<verse number="3">Иштта Аюбан кхаа доттагӀчунна а оьгӀазвахара ЭлихӀу, хӀунда аьлча цара, Аюбана дала жоп ца карийнехь а, цунна бехк биллира.</verse>
				<verse number="4">ЭлихӀу Аюб вистхилла валлалц собар деш вара, хӀунда аьлча къамел деш берш берриш а цул баккхий бара.</verse>
				<verse number="5">Амма, важа кхоъ кхин хӀумма а ца олуш сецча, иза оьгӀазвахара.</verse>
				<verse number="6">Бузихо волчу Барахиалан кӀанта ЭлихӀус элира: «Шерашца дуьстича, со шул жима ву, ткъа шу сол даккхий ду. Цундела озавелла, сайна хетарг ца олуш Ӏаш вара со.</verse>
				<verse number="7">Ас сайга бохура: „Хан яьлларш бист хуьлуьйтур бу ас, воккханиг ву хьекъалалла дала дезаш верг“.</verse>
				<verse number="8">Амма адамна хьекъал лург Делан Са ду, Нуьцкъалчун Ӏаьнаро цунна кхетам ло.</verse>
				<verse number="9">Бакъ дац хан яьлла волчун бен хьекъал дац бохург, къоначарна а го нийсонца дерг.</verse>
				<verse number="10">Цундела ас боху: „ЛадогӀа соьга, со а сайна хууш дерг ала воллу“.</verse>
				<verse number="11">Ас собарца ладуьйгӀира шун къамелашка, леррина ладуьйгӀира шун хьекъалечу дешнашка, шаьш ала дезарг аша лоьхучу хенахь.</verse>
				<verse number="12">Дикка хьоьжуш вара со шуьга, амма шух цхьаммо а Аюб къар а ца вира, цо аьллачунна дуьхьал жоп а ца делира.</verse>
				<verse number="13">Аша баха ца оьшу: „Аюбана чохь хьекъалалла карийна тхуна“. Аюб къарвийриг Дела хир ву, адам хир дац.</verse>
				<verse number="14">Аюб соьга луьйш вацара, цундела ас цунна жоп аша санна лур дац.</verse>
				<verse number="15">Уьш дог доьхна лаьтта, кхин хӀумма а алалуш а боцуш. Церан хӀумма а ала ца дисна, уьш дӀасецна.</verse>
				<verse number="16">Со мел хьежарх а, уьш бист хуьлуш бац, кхин хӀумма а ца олуш, дӀасецна уьш.</verse>
				<verse number="17">Цундела ас сайгара жоп лур ду, сайна хууш дерг а эр ду,</verse>
				<verse number="18">хӀунда аьлча дешнех хьалавуьзна ву со, ткъа сан кийрахь долчу сино Ӏаткъам бо суна.</verse>
				<verse number="19">Сан кийра садеӀалуш доцу керла чагӀар санна бу, иза эккха боллуш болу пӀаьлдиг санна бу.</verse>
				<verse number="20">Соьга алийта, суна атта хилийтархьама. Сан балдаш дӀаделлийта, соьга жоп далийтархьама.</verse>
				<verse number="21">Цхьаьнгге а ас озабезам бийр бац, цхьана а адамна хьеста а лур вац со.</verse>
				<verse number="22">Суна хьеставала ца хаьа, амма иза иштта ца хилча, со Кхоьллинчо со сихха дӀавоккхур вара».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="33">
				<verse number="1">ЭлихӀус кхидӀа а элира: [1] «Ткъа хӀинца, Аюб, ас бохучуьнга ла а догӀа, массо а ас олучу дешан тидам а бе.</verse>
				<verse number="2">ХӀинца ас сайн бага дӀайоьллу, сан дешнаш меттан юьххьехь ду.</verse>
				<verse number="3">ЦӀеначу даг чуьра сан дешнаш схьадовлу, суна хууш дерг сан матто цӀена схьабоху.</verse>
				<verse number="4">Со Делан Сино кхоьллина, Нуьцкъалчун Ӏаьнаро суна дахар ло.</verse>
				<verse number="5">Хьайн аьтто белахь, жоп ло суна, соьца къовса кеч а ло, дӀа а хӀоттий.</verse>
				<verse number="6">Далла хьалха со а хьо верриг ву, со-со а ву поппарх вина.</verse>
				<verse number="7">Цундела сох болчу кхерамо хьо Ӏада ма во, хьуна тӀехь болу сан Ӏаткъам беза хир бац.</verse>
				<verse number="8">Суна сайна хезира ахьа мел аьлларг, хьан аз хӀинца а сан лерехь ду:</verse>
				<verse number="9">„Со цӀена ву, зуламаш лелийна а воцуш, со бехказа ву, къинош летийна а воцуш.</verse>
				<verse number="10">Ткъа Далла суна таӀзар дан бахьанаш карадо, со Шен мостагӀа а лору Цо.</verse>
				<verse number="11">Цо сан когашна буржалш тоьхна, ас мел боккхучу коге леррина хьоьжу“.</verse>
				<verse number="12">Цу тӀехь хьо бакъ вац, Аюб, хӀунда аьлча Дела адамал лекха ву.</verse>
				<verse number="13">ХӀунда къийсало хьо Цуьнца, адамо олучу дешнашна Цо жоп ма ца ло?</verse>
				<verse number="14">Дела адаме юх-юха а вистхуьлуш велахь а, Цо бохург ца тусало стагана.</verse>
				<verse number="15">Цо гӀенах олу стаге я буьйсанан суьртехь, кӀорга наб адамна кхеттачу хенахь я шен меттахь стаг Ӏуьллучу хенахь.</verse>
				<verse number="16">ТӀаккха церан лерг сама а доккхий, дикка гучу тайпана царна лерина долу Шен дӀахьедар до Цо,</verse>
				<verse number="17">стага дан леринарг цуьнга ца дайта а, цуьнан куралла дӀаяккха а,</verse>
				<verse number="18">иштта иза эхартана гена ваккхархьама а, цуьнан дахар Ӏожаллин хих чекх ца далийтархьама а.</verse>
				<verse number="19">Шен меттахь лазарца кхетаво Цо иза, цуьнан даьӀахкашкахь гуттар а тӀом а латтош.</verse>
				<verse number="20">ТӀаккха цуьнан кийрано яа хӀума тӀе ца оьцу, уггар токхе йолу хӀума а цуьнга ца яало.</verse>
				<verse number="21">Цуьнан дегӀ гӀелло, цунах хӀумма а ца дуьсу, хьалха гуш йоцу цуьнан даьӀахкаш гучуйоху.</verse>
				<verse number="22">Цуьнан са эхарте кхочуш ду, ткъа цуьнан дахар — Ӏожалла тӀеяхьаш болчу геланчашка.</verse>
				<verse number="23">Амма нийса муха лела деза гайтархьама, адамна юкъалелаш долу малик делахь, вуно дуккха а долчу маликех цхьаъ,</verse>
				<verse number="24">оцу стагах къинхетам а бина, цо эр ду Деле: „Эхарте кхачарх паргӀатваккхахьа иза, цунах такха дезарг суна карийна“.</verse>
				<verse number="25">ТӀаккха цуьнан дегӀ къона волуш хилларг санна, дӀахӀуттур ду, иза юхавоьрзур ву шен жималлин деношка.</verse>
				<verse number="26">Цо Деле доӀа дийр ду, ткъа Дела цунна тамехь хир ву. Деле Ӏибадат а деш, цо воккхаверца мохь хьокхур бу. Дала цуьнан нийса хьал юхаметтахӀоттор ду.</verse>
				<verse number="27">Нахе дӀадуьйцур ду цо шена хилларг: „Ас къинош летийна сайх, харцдолчух бакъдерг а деш, амма суна догӀу таӀзар Цо суна ца дина.</verse>
				<verse number="28">Эхарте кхачарх со паргӀатваьккхира Цо, хӀинца сан дахар серлонах дуьзна ду“.</verse>
				<verse number="29">И дерриг а Дала адаман дуьхьа деш ду, кхин шозза, кхузза дукхах а деш,</verse>
				<verse number="30">цуьнан са эхарте кхачарх даккхархьама а, цунна дахаран серло лепийтархьама а.</verse>
				<verse number="31">Тидам бе, Аюб, ладогӀа ас бохучуьнга. ХӀумма а ма ала, ткъа аса дуьйцур ду.</verse>
				<verse number="32">Амма хьайн ала хӀума делахь, суна дуьхьал ала. Вист а хила, хӀунда аьлча суна лаьа хьо бехказавоккхийла.</verse>
				<verse number="33">Нагахь хьайн ала хӀума дацахь, вист а ца хуьлуш Ӏе, ас Ӏамор ду хьуна хьекъале дерг».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="34">
				<verse number="1">ТӀаккха ЭлихӀус шен къамел кхидӀа а дира:</verse>
				<verse number="2">«ЛадогӀа, хьекъалчаш, ас бохучуьнга, шайн лергаш соьга схьадерзаде, кхетам берш,</verse>
				<verse number="3">хӀунда аьлча лергаша дешнаш къастадо, матто юучу хӀуманан чам къастош санна.</verse>
				<verse number="4">Талла а теллина, ваьшна нийса хӀун ду къастор вай, вайна юкъахь диканиг хӀун ду девзар вайна.</verse>
				<verse number="5">Аюба элира: „Со нийса ву, амма Дала сан гӀуллакх кхеле ца диллира.</verse>
				<verse number="6">Со нийса велахь а, харц лоруш ву со. Сан бехк боццушехь, суна йинарг йоьрзур йоцу чов ю“.</verse>
				<verse number="7">Хир вуй ткъа Аюб санна волу стаг? Цо Деле кхардаме хӀуманаш, хи молуш санна, дуьйцу,</verse>
				<verse number="8">иза харцонаш лелочеран накъосталлехь лела, цуьнан некъаш Ӏесачеран некъех дӀакхетта.</verse>
				<verse number="9">ХӀунда аьлча цо боху: „Стагана пайда бац, Далла тамехь хила иза гӀерташ хилча!“</verse>
				<verse number="10">Кхетам берш, ладогӀа соьга! Дала харцдерг лело йиш яц, Ницкъболчо зулам лело а йиш яц.</verse>
				<verse number="11">Цо стагана цуьнан гӀуллакхашка хьаьжжина ло доггӀург, хӀоранна а леларна хьакъ дерг дӀало Цо.</verse>
				<verse number="12">Бакъ ду: Дала харцонца дерг а ца до, Ницкъболчо харцкхел а ца йо.</verse>
				<verse number="13">Хьан хӀоттийна Иза дуьненна Ӏуналла дан? Мила ву дерриг а дуьненна тӀехь куьйгалла деш верг?</verse>
				<verse number="14">Нагахь Цо Шен дог даийтича, Шен са а, садеӀар а Цо юхадаьккхича,</verse>
				<verse number="15">эццахь дуьнен тӀехь мел долу адам, хӀаллак а хилла, чан хилла дӀахӀуттур дара.</verse>
				<verse number="16">Нагахь санна хьайгахь кхетам белахь, со а хезаш, ас бохучуьнга ладогӀа.</verse>
				<verse number="17">Бакъйолу кхел ца езаш верг олаллехь хила йиш юй? Нийса а, сийлахь а волу Дела бехке ван йиш хир ю хьан?</verse>
				<verse number="18">Делан паччахье ала йиш ю: „Хьо — сий доцург ву“, Цуьнан йиш ю элашка а ала: „Шу — Ӏесанаш ду“.</verse>
				<verse number="19">Амма Цо баьччанашка озабезам а ца бо, ткъа хьалдерг къечух а ца къаставо, хӀунда аьлча уьш берриш а Цуьнан куьйгаша кхоьллина бу.</verse>
				<verse number="20">ЦӀеххьана, буьйса юккъе яханчу хенахь, уьш ле. Массо а инзарваьллачохь а вуьтий, уьш дӀакхелха. ПӀелг тӀе пӀелг а тоьхна, Цо ницкъберш дӀалохку.</verse>
				<verse number="21">Везачу Элан бӀаьргаш адаман некъаш тӀехь ду, Цунна адамо мел боккху ког а го.</verse>
				<verse number="22">Яц дуьнен чохь тоьуш бода болу меттиг, харцонаш лелораш къайлабовлалур болуш.</verse>
				<verse number="23">Кхин а леррина адам таллар Цунна ца оьшу, иза Шена хьалха кхеле озадайтархьама.</verse>
				<verse number="24">Таллам боцуш Цо ницкъберш а хьоьший, церан метта кхинаш дӀахӀиттабо,</verse>
				<verse number="25">хӀунда аьлча Цунна хууш ду цара леладо гӀуллакхаш. Буьйсанна царна тӀехь толам а боккхий, уьш дӀахьоьшу Цо.</verse>
				<verse number="26">Ӏесачу нахана санна, царна таӀзар до Дала, массо а нахана уьш гуш болчу меттехь,</verse>
				<verse number="27">Шена тӀаьхьахӀиттинчуьра уьш дӀабирзина дела а, Шен некъийн цара тидам ца бина дела а.</verse>
				<verse number="28">Уьш бахьана долуш, къечеран узарш Далла хьалха ду, ткъа гӀело хьоьгучеран узарш а Цунна дӀахезаш ду.</verse>
				<verse number="29">Иза вист а ца хуьлуш Ӏаш хилча, Цунна хьан бехк буьллур бу? Цо Шен юьхь къайлаяьккхина хилча, Иза хьанна гур ву? Цхьатерра ву Иза халкъана а, адамна а,</verse>
				<verse number="30">диндоцу стаг паччахь вина дӀа а ца хӀоттийна, нахана кӀело йиначуьнга царна тӀехь куьйгалла ца дайта.</verse>
				<verse number="31">Цкъа а Деле аьллий ахь: „Со бехке ву, хӀинца чул тӀаьхьа ас къинош летор дац.</verse>
				<verse number="32">Суна ца хууш дерг Ахь суна Ӏамадехьа? Ас зулам динехь, и саннарг кхин дийр дац“.</verse>
				<verse number="33">Дала деш дерг ахь дӀатоттучу хенахь таӀзар даза Иза Ӏийр ву моьтту хьуна? Хьо ву сацам бан безарг, со вац. Ала хӀинца хьайна хууш дерг.</verse>
				<verse number="34">Кхетам болчара соьга эр ду, со хезна волчу хьекъалчо эр ду:</verse>
				<verse number="35">„Хьекъале къамел дац Аюба дийриг, маьӀна долуш хӀума дац цо бохург“.</verse>
				<verse number="36">Зуламхоша санна, жоьпаш даларна, Аюбана кхоччуш таӀзар динехьара!</verse>
				<verse number="37">Шен къиношна тӀе цо аьрхалла а туху. Вайна юкъахь деза дешнаш а детташ, Деле Ӏеса къамелаш деш ву иза».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="35">
				<verse number="1">ЭлихӀус кхин а дӀа дира шен къамел:</verse>
				<verse number="2">«„Далла хьалха со бакъонна тӀехь лаьтта“, — аьлла, дийцар нийса хетий хьуна?</verse>
				<verse number="3">Ахьа боху: „Суна хӀун пайда бу? Аса къинош ца летийча а, хӀун пайда бу?“</verse>
				<verse number="4">Суна луур дара хьуна а, хьан доттагӀашна а жоп дала.</verse>
				<verse number="5">Стигала хьалахьажа, гуш хила! Лакхахь йолчу мархийн тидам бе!</verse>
				<verse number="6">Ахьа къа латийча, Далла хӀун ду? Ахьа хьайн вонаш алсамдаьхча, Цунна хӀун ду иза?</verse>
				<verse number="7">Хьо нийса лелча, Цунна хӀун ло ахьа? ХӀун кхочу Цунна хьан карара?</verse>
				<verse number="8">Хьан Ӏесалла хьо санна долчу адамех бен ца хьакхало, ткъа хьан нийсо хьо санна волчу стагах бен ца хьакхало.</verse>
				<verse number="9">Дуккха а йолу гӀелонаш ловчу адамаша орца доккху, ницкъболчийн куьйгаш кӀелара схьахезаш ду церан узарш.</verse>
				<verse number="10">Амма цхьаммо а ца боху: „Мичахь ву со кхоьллина Дела, буьйсанна иллеш ала тхуна ницкъ луш Верг,</verse>
				<verse number="11">лаьттарчу акхаройл а тхан кхетам алсамбаьккхинарг, стигаларчу олхазарел а тхан хьекъал совдаьккхинарг?“</verse>
				<verse number="12">Везачу Эло жоп ца ло орца доккхуш болчарна, вочу нехан кура дегнаш бахьана долуш.</verse>
				<verse number="13">Эрна ду иза — Дала оцуьнга ла ца дугӀу, Нуьцкъалчу Далла и орца даккхар гуш дац.</verse>
				<verse number="14">Дала мел кӀезиг ладугӀур ду хьоьга, Иза хьайна ца го ахь баьхча, хьайн гӀуллакх Цунна хьалха ду, Цуьнга хьежа деза ахь баьхча.</verse>
				<verse number="15">Хьуна моьтту, Везачу Эло къинош летош берш таӀзар ца деш буьту, церан къинош Шена ца гуш санна.</verse>
				<verse number="16">Аюба къамелаш дан шен бага еллар эрна ду. Кхетам боцуш, цо дешнаш дуьйцуш а ду».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="36">
				<verse number="1">ЭлихӀус, кхин а шен къамел дӀа а деш, элира:</verse>
				<verse number="2">«Жимма собар де, ас гойтур ду хьуна, Делан цӀарах кхин а хӀума ала дезаш хилар.</verse>
				<verse number="3">Ас сайн ойла тайп-тайпанарчу меттигашкара схьаялор ю, со Кхоьллинарг нийса хилар ас билггала гойтур ду.</verse>
				<verse number="4">Бакъду, сан дешнаш харц ца хуьлу. Кхетам кхоччуш болу со хьоьгахьа ву.</verse>
				<verse number="5">Дела сийлахь ву, ткъа цхьа а дӀа ца тотту Цо. Иза сийлахь ву, Цуьнан кхетам кӀорга бу.</verse>
				<verse number="6">Ӏесаниг Цо дийна ца вуьту, гӀело хьоьгучунна нийса кхел йойту.</verse>
				<verse number="7">Шен лаамехь волчунах бӀаьрг ца бадабо Цо, ткъа паччахьашка санна цуьнга олалла дойту, лекхачу даржехь иза хилийтархьама.</verse>
				<verse number="8">Нагахь уьш, буржалш а тоьхна, Ӏазапехь латтош белахь,</verse>
				<verse number="9">Цо дӀагойту цара мел лелийнарг а, дозаллех буьзна уьш хиларна, церан аьрхалла а.</verse>
				<verse number="10">ТӀехдеттаре ладогӀийта церан лергаш дӀадоьллу Дала, иштта шаьш лелочу зуламех дӀаберзар царна тӀедуьллу Цо.</verse>
				<verse number="11">Цуьнга ла а дугӀуш, Цунна гӀуллакх а деш уьш лелахь, цара шайн дахаран денош беркатехь дохур ду, шайн дахаран шераш самукъане дохур ду.</verse>
				<verse number="12">Нагахь Цуьнга цара ла ца догӀахь, уьш Ӏожаллин хих чекхбевр а бу, кхетам боцурш санна лийр а бу.</verse>
				<verse number="13">Даггара дин ца лелочара шайн дегнаш чохь оьгӀазалла латтайо, цара Цуьнга ца кхойкху, Цо шайна буржалш тоьхча а.</verse>
				<verse number="14">Уьш къона болчу хенахь церан синош леш ду, цӀуйн дуьхьа вовшашца лелачу божаршна юкъахь.</verse>
				<verse number="15">Цуьнан бала хьегарехула пекъар паргӀатвоккху Цо, цуьнан гӀело хьегарехула лергаш дӀадоьллу Цо.</verse>
				<verse number="16">Хьо а ваьккхинера Цо готтачу меттера цхьа а дуьхьало йоцучу шуьйрачу аренга, хьуна хьалха токхе шун а хӀоттийнера Цо.</verse>
				<verse number="17">Амма хӀинца Ӏесачунна догӀу таӀзарх вуьзна ву хьо, цунна леринчу кхело а, таӀзаро а схьалаьцна хьо.</verse>
				<verse number="18">Варелахь, хьоле хьо Ӏеха ма вайталахь! Боккхачу кхоэ хьо тила ма вайталахь!</verse>
				<verse number="19">Хьайн хьал доккха хиларна я хьо чӀогӀа гӀерташ хиларна, баланех кӀелхьарвер ву те хьо?</verse>
				<verse number="20">Халкъаш цӀеххьана меттахдохуш йолчу буьйсане са ма тийса.</verse>
				<verse number="21">Варелахь, вочуьнгахьа ма верзалахь, хӀунда аьлча цунах дӀаверзарна гӀело хьоьгуш ма ву хьо.</verse>
				<verse number="22">Хьажал, мел боккха бу Делан ницкъ! Кхин вуй ткъа Цул воккха хьехамча?</verse>
				<verse number="23">Цунна хьан гойтур ду Цо дан дезарг? Хьан эр ду Цуьнга: „Ахьа дийриг зуламе ду“?</verse>
				<verse number="24">Иллешкахь наха дуьйцуш долчу Цуьнан гӀуллакхашна хастамаш бан виц ма ло.</verse>
				<verse number="25">Уьш массо а адамашна гина ду, амма стагана геннара бен уьш гина дац.</verse>
				<verse number="26">Ма сийлахь ву Дела — Цунах вай кхетар дац. Цуьнан шерийн терахь вайга таллалур дац.</verse>
				<verse number="27">Цо хин тӀадамаш Шена схьагулдо, ткъа, догӀа а литтина, царах дохк до.</verse>
				<verse number="28">Мархаша шайн тӀуналла охьаӀанайо, шортта догӀа охьадогӀу адамашна тӀе.</verse>
				<verse number="29">Цхьа а ца кхета, мархаш муха дӀасаяржайо Дала, иштта Шен хӀусамна тӀера стигал муха къекъайо Цо.</verse>
				<verse number="30">Хьажал, Шена гонах Дала стелахаьштиг туху, ткъа хӀордан бух, дӀахьулбина, къайлабоккху.</verse>
				<verse number="31">Оццу тайпана адамашна кхел йо Цо, царна шортта кхача а ло Цо.</verse>
				<verse number="32">Цо куьйгаца схьаоьцу стелахаьштиг, цунна мича кхета деза а дуьйцу Цо.</verse>
				<verse number="33">Ткъесан гӀовгӀано хаам бо дарц хьакхарх, ткъа бежанашна иза тӀедар хууш ду».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="37">
				<verse number="1">ЭлихӀус кхидӀа а элира: [1] «Цу бахьанина сан дог дегош ду, меттах а даьлла, сан дог деттало.</verse>
				<verse number="2">ЛадогӀа стигал къекъарх тера долчу Делан озе, ладогӀа Цуьнан багара схьадолуш долчу оцу озе.</verse>
				<verse number="3">Ерриг а стигал кӀелахь Цо къоьгуьйту Шен серло лаьттан йистошка кхаччалц.</verse>
				<verse number="4">ТӀаккха Делан озо гӀовгӀа йо. Шен возаллин озаца Цо гӀовгӀа йо. Шен аз хезаш долчу хенахь стелахаьштигаш а ца сецадо Цо.</verse>
				<verse number="5">Тамашийна схьахезаш ду Делан аз, вайн кхета ницкъ ца кхочу даккхий хӀуманаш до Цо.</verse>
				<verse number="6">Лоне Цо олу: „Лаьтта тӀе охьагӀо“, догӀанан йочане: „Сихха охьаэга!“</verse>
				<verse number="7">ХӀорра а болх бечуьра дӀасацаво Цо, массарна а Ша дийриг дӀахаийтархьама.</verse>
				<verse number="8">Акхарой дӀалечкъийлашна чу а йоьлхий, шайн баннаш чохь совцу.</verse>
				<verse number="9">Къилбехьара йилбазмох хьоькху, къилбаседехьара шело кхочу.</verse>
				<verse number="10">Шен садеӀарца Дала ша бойту, тӀаккха хийн шералла чӀагӀйина дӀахӀутту.</verse>
				<verse number="11">ДогӀанан мархаш Цо тӀуналлех юзу, цаьргахула Цо стелахаьштиг даржадо.</verse>
				<verse number="12">Цуьнан лаамца массанхьа а мархаш хьийзаш ю, дерриг а дуьнен тӀехь Цо аьлларг кхочуш а деш.</verse>
				<verse number="13">Цуьнан лаамца иза массо а кхочушдеш ду, я лаьттана таӀзар дархьама, я нахана Шен безам гайтархьама.</verse>
				<verse number="14">Оцу хӀуманийн тидам бехьа, Аюб. ДӀасацахьа, Делан исбаьхьачу гӀуллакхашка хьажахьа.</verse>
				<verse number="15">Хьуна хаьий, Аюб, Дала мархашна куьйгалла муха до, Цо ткъес муха къогуьйту?</verse>
				<verse number="16">Хаьий хьуна, стигалахь мархаш муха латтало? Кхетам кхоччуш Болчун тамашийна гӀуллакхаш ду уьш.</verse>
				<verse number="17">Хьуна тӀера бедарш йохлой дӀахӀуьтту, къилбехьара бовхачу мохо латта дӀатедича.</verse>
				<verse number="18">Хьуна хуур дарий, Цунна санна, стигал дӀасаяржо, заьнгалчу цӀастанах дина куьзга санна, иза чӀагӀдина дӀа а хӀуттуьйтуш?</verse>
				<verse number="19">Дийцахьа тхуна Цуьнга ала дезарг. Цуьнца дуьйцучу хенахь хӀун ала деза, тхо боданехь дехаш Ӏаш ма ду.</verse>
				<verse number="20">Суна вистхила лаар Цуьнга ала дезий те? Ша дӀакхаьллина хилар стага доьхий те?</verse>
				<verse number="21">Леррина малхе хьажа йиш яц, стигал, мох хьаькхча, дӀа а цӀанйина, иза стигалахь сов къегаш хилча.</verse>
				<verse number="22">Къилбаседехьара дашо серло схьакхочу, Далла гонах олаллин нур ду лаьтташ.</verse>
				<verse number="23">Ницкъболчух кхета аьтту бац тхан. Шен ницкъе а, бакъйолу кхел яре а хьаьжжина, Иза мел воккха ву. Цуьнан нийсо шортта ю. Цо цхьана а стагана гӀело а ца йо.</verse>
				<verse number="24">Цундела адамаш Деле болчу ларамах дуьзна хуьлу, амма шаьш хьекъале лоручийн Цо тидам ца бо».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="38">
				<verse number="1">ЭлихӀу вистхилла ваьлча, дарца юккъера Аюбе вистхилира Веза Эла.</verse>
				<verse number="2">«Сан Ӏалашонаш хьекъале доцучу дешнашца кхулуьйтуш верг мила ву?</verse>
				<verse number="3">ДӀаехка хьайн гӀодаюкъ, къонахчо ма-еххкара: Со хьоьга хаттарш дан воллу, ткъа ахьа Суна жоп ло.</verse>
				<verse number="4">Мичахь вара хьо, Аюб, Аса латта дӀахӀоттош? Схьаала Соьга, хьайн кхетам цу хӀуманна тӀекхиънехь.</verse>
				<verse number="5">Мила ву цу лаьттан барам нисбинарг? Хьуна-м хууш ма ду иза! Мила ву цунна тӀехула дустаран тӀийраг дӀасаяржийнарг?</verse>
				<verse number="6">Стенна тӀе хӀоттийна дуьненан бух, хьан биллина цуьнан са нисбеш буьллуш болу тӀулг,</verse>
				<verse number="7">дерриг а Ӏуьйренан седарчаша цхьаьна эшарш лекхначу хенахь, стигалара гуламан декъашхой сакъералуш хиллачу хенахь?</verse>
				<verse number="8">Лаьттан кийрара хиш аралилхинчу хенахь хӀордана хьалхара кевнаш дӀа хьан къевлина?</verse>
				<verse number="9">Ас, духар санна, цунна тӀе мархаш ехкира, буькъачу боданна юккъе иза дӀа а хьарчош.</verse>
				<verse number="10">Ас иштта хӀордана доза а къастийра, цунна хьалха догӀа тухуш йолу кевнан неӀарш а хӀиттош.</verse>
				<verse number="11">Ас цуьнга элира: „ХӀокху метте кхаччалц схьабогӀур бу хьо, амма кхузара сехьайовла йиш яц хьан курачу тулгӀенийн“.</verse>
				<verse number="12">Хьан дахарехь ахьа цкъа а Ӏуьйренна омра диний, я Ӏуьйренан цӀийяларна цуьнан меттиг дӀахӀоттийний?</verse>
				<verse number="13">Ахь сатасарна шен йистошца латта дӀа а лоций, цунна тӀера Ӏесанаш охьакхисса аьлла, тӀедожийний?</verse>
				<verse number="14">Ӏуьйренан цӀийяларехь дерриг а латта, мухӀарна бухахь поппар санна, хийцало, лаьттан лакхенаш а, кӀоргенаш а, духар санна, гучуйовлий, дӀахӀуьтту.</verse>
				<verse number="15">Сатасаро Ӏесачу нахана безаш болу бода дӀалоцу, иштта кхечу нахана ницкъбар цаьргара схьадоккху.</verse>
				<verse number="16">Хьо кхаьчний хӀорд схьаболучу меттигашка? Хьо леллий, кӀоргачу хийн къайленаш а толлуш?</verse>
				<verse number="17">Ӏожаллин кевнаш гайтиний хьуна? Эхартан кевнаш гиний хьуна?</verse>
				<verse number="18">Лаьттан барам стенга кхочу хаьий хьуна? Схьадийца, и дерриг а хьайна хаахь.</verse>
				<verse number="19">Серло ехачу метте муха кхочур ву, мичахь ду бода чохь Ӏаш долу цӀа?</verse>
				<verse number="20">Уьш хила безачу метте дӀабигалур буй хьоьга? Шайн хӀусамашка уьш юхадерзоран некъаш девзий хьуна?</verse>
				<verse number="21">Хьуна иза хууш хир ду-кх, хӀунда аьлча хьо и хан тӀекхачале дуьнен чу ваьлла ву ткъа? Хьан дахаран денош вуно дукха ду ткъа?</verse>
				<verse number="22">Лайн сов йолу хӀума дӀаюьллучу чуваьллий хьо, гиний хьуна къора чохь йолу меттиг,</verse>
				<verse number="23">Ас халачу заманна лерина латтош йолу, мостагӀа тӀелатар я тӀом баллалц.</verse>
				<verse number="24">Муха кхача веза шена тӀера стелахаьштигаш дӀасаяьржаш йолчу меттиге я малхбалехьара мох лаьтта тӀехула дӀасадаьржаш йолчу меттиге?</verse>
				<verse number="25">Хьан доху стигалахь догӀанна некъаш, иштта хьан дохку стигал къекъарца детташ долчу ткъесана некъаш,</verse>
				<verse number="26">цаьрга даьссачу лаьтта тӀе а, адам доцучу аренна тӀе а догӀа даийта,</verse>
				<verse number="27">эрна а, яьсса а аре хих Ӏаборхьама а, бецашка зӀийдагаш тасийтархьама а?</verse>
				<verse number="28">Вуй ткъа догӀанан да? Хьан деш ду тхин тӀадамаш?</verse>
				<verse number="29">Хьенан кийрара араболуш бу ша, ткъа стигалара йис хьан йо?</verse>
				<verse number="30">Хиш а, тӀулг санна, чӀагӀ а лой, дӀахӀуьтту, хӀорд а тӀехулара чӀагӀло.</verse>
				<verse number="31">ВорхӀ Седа цӀе йолчу седарчийн куц хьоьга цхьаьна дехкалур дуй? Орион цӀе йолчу седарчийн куьцан буржалш хьоьга малдалур дуй?</verse>
				<verse number="32">Хьоьга арабаккхалур буй шен-шен хеннахь седарчийн гулам, иштта Нана-ча а, Чен кӀорнеш а цӀе йолу седарчийн куьцаш лело аьтто хир буй хьан?</verse>
				<verse number="33">Хаьий хьуна, стигалийн бакъонаш муха ю? Цаьрга лаьттана куьйгалла дайталур дуй хьоьга?</verse>
				<verse number="34">Мархашка хьайн аз айалур дуй хьоьга, цигарчу хине хьо верриг а ваша а войтуш?</verse>
				<verse number="35">Ткъесаш ахьа аьллачу метте дӀагӀур дуй, эр дуй цара хьоьга: „Тхо кийча ду“?</verse>
				<verse number="36">Мархашна хьекъалалла хьан делла, дохк муха хила деза, хьан кхетам белла?</verse>
				<verse number="37">Мила ву стигалара мархаш ягаръяллал хьекъал долуш а, уьш агӀор а яьхна, догӀа даийттал ницкъ болуш а,</verse>
				<verse number="38">цул тӀаьхьа ченах хатт а хилла, цу лаьттах гӀорзанаш еш верг?</verse>
				<verse number="39">Хьо ижуна тӀаьхьаволу те нана-лоьман дуьхьа, мацделла лелачу цуьнан кӀорнеш юзорхьама,</verse>
				<verse number="40">уьш шайн бен чохь дӀатебна Ӏачу хенахь я уьш коьллаш юккъехь кӀело йина Ӏачу хенахь?</verse>
				<verse number="41">Хьан кечйо хьаргӀанна юург, цуьнан кӀорнеш Деле кхойкхуш, юург ца карош лелачу хенахь?»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="39">
				<verse number="1">Везачу Эло кхидӀа а элира: [1] «Хьуна хаьий, ламанан гезарша буьхьигаш ян еза хан, сено кӀорнеш еш гиний хьуна?</verse>
				<verse number="2">Хьуна хаьий, цара маса баттахь шайн кӀорнеш кийрахь лелайо? Хьуна хаьий, цара уьш маца ян еза?</verse>
				<verse number="3">Шайн кӀорнеш ечу хенахь, уьш охьатаьӀа, иштта шайн кӀорнеш дуьнен чу йоху.</verse>
				<verse number="4">Церан бераш, аренгахь даккхий а хуьлий, тӀаккха, кхин цкъа а юха ца догӀуш, дӀадоьлху.</verse>
				<verse number="5">ПаргӀатоне кхача хьан дӀахецна акха вир, цунна тӀера буржал хьан дӀадаьккхина?</verse>
				<verse number="6">Ас эрначу аренах цуьнан цӀа дина, дуьрачу аренах цуьнан хӀусам йина.</verse>
				<verse number="7">Иза йоьлу дукха адам чохь долчу гӀалин гӀовгӀанах, цунна ца хеза гурманчас еш йолу хичаш.</verse>
				<verse number="8">Гунаш тӀехула йолалой, шена юург лоху цо, баьццара мел йолчу хӀуманна тӀаьхьаяьлла лела иза.</verse>
				<verse number="9">Ахьа бохург дан луур дуй те акхачу старана, буьйса йоккхур юй те цо хьан хьаьвданна уллохь?</verse>
				<verse number="10">Хершнаш даха муьшаца хьоьга дӀабехкалур буй акха сту, хьуна тӀаьхьара мекха боккхур буй цо хьан кха тӀехь?</verse>
				<verse number="11">Цуьнан боккхачу ницкъана цунах тешна Ӏийр вуй хьо? ЧӀогӀа къахьегар цунна тӀедилла ваьхьар вуй хьо?</verse>
				<verse number="12">Цуьнга ялта схьа а гулдайтина, хьаьтта схьадаийта ваьхьар вуй хьо?</verse>
				<verse number="13">Страус олучу олхазаран тӀемаш сакъерадаларца дӀасадеттало, амма чӀерийдохурган месашца уьш дусталур дац.</verse>
				<verse number="14">Страусо шен хӀоаш лаьтта тӀехь дуьту, уьш гӀамар тӀехь дохдалийта.</verse>
				<verse number="15">Цунна дага ца догӀу царна тӀе цхьаммо ког боккхург хилар а, я акхароша уьш дохорг хилар а.</verse>
				<verse number="16">Страус къиза ду шен кӀорнешца, цунна уьш хийра долуш санна хета, шен къахьегар эрна хиларх а ца кхоьру иза.</verse>
				<verse number="17">Ас хьекъалалла цунах генадаьккхина, иштта цунна кхетам а ца белла.</verse>
				<verse number="18">Амма ша дада дагахь хьалаайделча, иза беречух а, говрах а доьлу.</verse>
				<verse number="19">Аюб, ахьа белла те говрана ницкъ? Цуьнан вортана ахьа йина те кхес?</verse>
				<verse number="20">Ахьа и говр, цӀоз санна, кхийсайолуьйту те, ша чӀогӀа хур дарца адам кхера а деш?</verse>
				<verse number="21">Говр, лаьттах ког а бетташ, ша-шех самукъадолуш хуьлу. Иза шен ницкъ ма-хуьллу тӀамтӀе хьаьдда йоьду.</verse>
				<verse number="22">Иза кхерамах йоьлуш хуьлу, цхьаннах а ца кхоьруш хуьлу, ткъа туьрах иза дӀа ца къехка.</verse>
				<verse number="23">Ӏад-ботт ду цуьнан агӀонна тӀехь декаш, къегаш ду гоьмукъ а, цамза а,</verse>
				<verse number="24">шен чуьраяларца цо лаьттах ка етта, ткъа, коьман маӀан аз хезча, иза цхьана меттехь ца сацало.</verse>
				<verse number="25">Шена коьман маӀан аз хезча, говр терса, геннара хаало цунна тӀом болу меттиг а, тӀемалойн хьаькамийн аз а, тӀеман цӀогӀа а.</verse>
				<verse number="26">Хьан хьекъалаллица лела те куьйра, шен тӀемаш къилбехьарчу мохана дуьхьал а дерзийна?</verse>
				<verse number="27">Ахьа аьлла те аьрзуне стигала лакха хьалаяала, лекхачу лаьмнашкахь шен бен а бе?</verse>
				<verse number="28">Тархашна юкъахь цо буьйса йоккху, ирачу тархех цо шен гӀап а йо.</verse>
				<verse number="29">Цигара шена ижу лоху цо, хӀума яархьама. Геннара схьахьоьжу цуьнан бӀаьргаш а.</verse>
				<verse number="30">Цуьнан кӀорнеша цӀий молу, байинчеран декъий долчохь а иза хуьлу».</verse>
				<verse number="31">ТӀаккха Веза Эла кхин а вистхилира Аюбе:</verse>
				<verse number="32">«Нуьцкъалчуьнца къуьйсуш волчо Иза нисвийр вуй те? Дела бехке вечо жоп лойла Цунна!»</verse>
				<verse number="33">Юха Аюба Везачу Элана жоп делира:</verse>
				<verse number="34">«Со хьакъ вац — Хьуна жоп дала муха ваьхьар вара со? Сайн юьхь тӀе куьг дуьллу ас, сайн багара дош ца далийтархьама.</verse>
				<verse number="35">Юх-юха а со вистхуьлуш велахь а, сан кхин жоп а дац, кхин хӀумма а ас дуьйцур дац».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="40">
				<verse number="1">Везачу Эло Аюбе, дарцана юккъера схьа вист а хилла, элира:</verse>
				<verse number="2">«Хьайн гӀодаюкъ, къонахчо санна, дӀаехка: Ас хаттарш дийр ду хьоьга, ткъа ахьа Суна жоп ло.</verse>
				<verse number="3">Хьо Сан кхел яр харцдан воллу, хьо бехказавалархьама, Со бехке а веш?</verse>
				<verse number="4">Хьан дуй ткъа Делан санна нуьцкъала куьг, Цуьнан санна долчу озаца хьоьга къекъалур дуй?</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха возаллица а, юьхькӀамца а хазло, иштта сий а, исбаьхьалла а хьайна тӀедуха.</verse>
				<verse number="6">Хьайн чӀогӀа йолу дералла дӀа а хеца, курачуьнга дӀа а хьажий, иза охьатаӀаве.</verse>
				<verse number="7">Массо а курачаьрга дӀа а хьажий, уьш юьхьӀаьржачу хӀиттабе, шаьш мел лаьттачу меттигашкахь Ӏеса нах дӀа а хьаша.</verse>
				<verse number="8">Уьш лаьттах а бохкий, боданечу эхарта чу йийсаре дӀабига.</verse>
				<verse number="9">ТӀаккха Ас-Айса хьуна хьалха даре дийр ду хьан аьтту куьйго хьо кӀелхьарвоккхург хилар.</verse>
				<verse number="10">ХӀинца бегемотах лаьцна дуьйцур ду Аса. И доккха дийнат, хьо санна, Аса дина ду. Цо буц йоу, стеро санна.</verse>
				<verse number="11">Шен гӀогӀашкахь ма ницкъ болуш ю иза! Цуьнан гайна тӀехь долу пхенаш ма чӀогӀа ду!</verse>
				<verse number="12">Цуьнан цӀога, баганан дитт санна, чӀогӀа ду, ткъа пхенаш цуьнан хенаш тӀехь вовшахъхьирчина ду.</verse>
				<verse number="13">Цуьнан когийн даьӀахкаш цӀестан турбанаш санна ю, цуьнан пӀендарш аьчка гӀожмаш санна ду.</verse>
				<verse number="14">Иза Аса кхоьллинчарна юкъахь уггар ницкъ болуш ю. Сайн туьраца иза кхоьллинчу Соьга бен иза эшалур яц.</verse>
				<verse number="15">Цунна лаьмнаша ло кхача, циггахь ловзуш лелаш ду аренан акхарой.</verse>
				<verse number="16">Коканийн коьллашна кӀел Ӏуьллу иза, уьшалийн шач юкъахь дӀалечкъа.</verse>
				<verse number="17">Оцу коьллаша шайн ӀиндагӀа кӀел иза дӀалачкъайо, хина йистерачу дак-дитташа цунна го бо.</verse>
				<verse number="18">Хи къиза лелачу хенахь, иза цунах ца къехка. Йордан-хи шен бета тӀе деача а, иза синтемехь ю.</verse>
				<verse number="19">Цуьнан бӀаьргашна хьалха а хӀоьттина, цуьнан мерах мӀара хьаьнга чекхбаккхалур бара?</verse>
				<verse number="20">МӀераца Левиятан цӀе йолу саьрмик хьалабаккхалур барий хьоьга, муьшаца оцу саьрмикан мотт дӀабехкалур барий?</verse>
				<verse number="21">Цуьнан мерӀуьргахула тӀийраг чекхъяккхалур ярий хьоьга, я мехаца мочхалх Ӏуьрг даккхалур дарий?</verse>
				<verse number="22">Цо хьоьга юх-юха а дехарш дийр дуй те? Иза хьоьга эсалчу дешнашца бистхир буй те?</verse>
				<verse number="23">Гуттаренна а хьан лай хила, цо хьоьца барт бийр буй те?</verse>
				<verse number="24">Олхазарца санна, цуьнца ловзуш хир ву хьо? Хьайн гӀарбашийн дуьхьа иза дӀабоьхкур бу ахь?</verse>
				<verse number="25">ЧӀерийлецархоша, хьоьца мах а бийцина, хьоьгара оьцур бу иза? Цара, нахана дӀабохкийтархьама, совдегаршна юкъахь боькъур бу иза?</verse>
				<verse number="26">Цуьнан цӀока хьоьга гоьмукъех юзалур ярий я цуьнан коьртах чаьнчакх чекхъяккхалур ярий?</verse>
				<verse number="27">Нагахь санна хьайн куьг цунна тӀе ахь диллахь, и тӀом хьуна, иштта кхин ца леллал, дага боуьйтур а бу».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="41">
				<verse number="1">Везачу Эло кхидӀа а элира: [1] «Левиятан караӀамо хьан сатийсам харц хир бу! Иза цкъа схьахьаьжча а, хьо охьавужур ву.</verse>
				<verse number="2">Иза меттахъхьабан ваьхьар волуш цхьа а вац. ТӀаккха Сан юьхь-дуьхьал хӀотта мила ву?</verse>
				<verse number="3">Соьга декхар такхийта Суна хьалха мила хӀуттур вара? Массо а стигална бухахь мел дерг Сан ду.</verse>
				<verse number="4">Цуьнан меженех лаьцна ца олуш Ӏийр вац Со, иштта цо динчу сийлахь гӀуллакхех а, схьахьаьжча, цуьнан кеп товш хиларх а.</verse>
				<verse number="5">Цунна тӀера бедар хьаьнга схьаяккхалур ю? Цуьнан шалхачу гӀаьгӀна хьаьнга хӀума Ӏотталур ю?</verse>
				<verse number="6">Хьан хьалагӀаттор ю цуьнан бага? Гонах йолчу цуьнан цергаша Ӏадаво.</verse>
				<verse number="7">Цуьнан букъ тӀехь турсийн могӀарш ду, готтачу мухӀаро вовшахтоьхна долу.</verse>
				<verse number="8">Уьш юх-юххехь духкуш ду, царна юккъехула хӀаваъ а чекхдер дац.</verse>
				<verse number="9">Цхьаъ вукхунна улло таьӀна ду, дӀаса ца деккъал вовшахтоьхна.</verse>
				<verse number="10">Цо хьоршам тоьхча, ткъес тоьхча санна хета, цуьнан бӀаьргаш сатасаран зӀаьнарш санна лепа.</verse>
				<verse number="11">Цуьнан багара араюьйлуш цӀе ю, суйнаш дӀаса а детташ.</verse>
				<verse number="12">Цуьнан мерӀуьргашкахула кӀур арабуьйлу, кхехкаш болчу яй чуьра Ӏаь ма-яллара.</verse>
				<verse number="13">Цуьнан садеӀаро кӀоранах а цӀе тосу, ткъа багара аракхуьйсуш цӀеран алунаш ю.</verse>
				<verse number="14">Цуьнан вортанехь боккха ницкъ бу, и къемате хиларо стаг Ӏадаво.</verse>
				<verse number="15">Цуьнан дилханан хершнаш готта дӀатоьхна ду. Уьш меттах ца долу лалийна эчиг санна ду.</verse>
				<verse number="16">ТӀулг санна долу цуьнан дог кхерамбоцуш ду, иза, хьеран бухалара кохьар санна, чӀогӀа ду.</verse>
				<verse number="17">Иза хьалагӀоттучу хенахь турпалхой а Ӏадабо, дог доьхна а болуш, уьш цунах юхабоьрзу.</verse>
				<verse number="18">Цунна тӀе тоьхна долу тур латталур дац, гоьмукъо я цамзано, я пхаро цунна зен дийр дац.</verse>
				<verse number="19">Эчиг цунна ча санна кӀеда ду моьтту, цӀаста цунна мурйоьлла дечиг санна хета.</verse>
				<verse number="20">Иза секхаӀодан пхерчех дӀа ца боду, ткъа ширдолаган тӀулгаш цунна кегаш санна ду.</verse>
				<verse number="21">Шена чхьонкар кхетча, чамхалг Ӏоттаелча санна хета цунна, ткъа гоьмукъ кхетча иза боьлу.</verse>
				<verse number="22">Цуьнан гай кхийрачу пхьегӀийн ира геригаш йолуш санна ду, сазз тӀехула иза лелча, цуьнан лар, мекха такхийча санна, хуьлу.</verse>
				<verse number="23">Хин кӀорге цо, яй санна, кхоьхкуьйту, хӀорд, молханийн чорпа санна, дӀахӀоттабо.</verse>
				<verse number="24">Цо шена тӀаьхьа къегаш йолу лараш юьту, хин кӀоргенна тӀехь къежбелла корта санна хилар хоьтуьйтуш.</verse>
				<verse number="25">Оцу экхане нислуш кхин цхьа а экха дац, цунна кхерам бохург хӀун ду а ца хаьа.</verse>
				<verse number="26">Иза майрра хьоьжу массо а дегалчу экханашка, массо а курачу акхарошна тӀехь иза паччахь ду».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="42">
				<verse number="1">Аюба иштта жоп делира Везачу Элана:</verse>
				<verse number="2">«Суна хууш ду, Веза Эла, Хьайна луъург Хьан дан йиш юйла а, Ахьа дан леринарг цхьаьнгге а сацалур доцийла а.</verse>
				<verse number="3">Ахь хаьттира: „Мила ву Сан Ӏалашонаш хьекъале доцучу дешнашца кхулуьйтуш верг?“ Бакъду, со ца кхеташ долчу хӀуманех лаьцна, сайна а ца хаъал дукха хала долчух лаьцна дуьйцура ас.</verse>
				<verse number="4">Ахь элира: „Соьга ладогӀа, Со вистхир ву. Со хьоьга хаттарш дан воллу, ткъа ахьа Суна жоп ло“.</verse>
				<verse number="5">Суна Хьох лаьцна хьалха дуьйцуш хезнера, ткъа хӀинца сайн бӀаьргашца гина Хьо суна.</verse>
				<verse number="6">ХӀинца со айса аьллачунна дохковаьлла, цундела ченашна а, овкъаршна юккъе а хиъна Ӏаш ву».</verse>
				<verse number="7">Аюбе Шен къамел дина Ша ваьлча, Веза Эла теманхо волчу Элипазе вистхилира: «Со хьуна а, шина доттагӀчунна а чӀогӀа оьгӀазвахана, аша Сох лаьцна Сан ялхо волчу Аюба санна нийса дерг ца аьлла дела.</verse>
				<verse number="8">Цундела, ворхӀ сту а, ворхӀ уьстагӀ а схьа а эций, Аюб волчу гӀо. Цигахь царна урс а хьакхий, шайна тӀера дагоран сагӀа даккха. Сан ялхо волчу Аюба шуна тӀера доӀа дийр ду, хӀунда аьлча цуьнгара долу доӀа бен Ас тӀеоьцур дац. Сан ялхо волчу Аюба санна, аша Сох лаьцна нийса дерг ца алахь а, шуна догӀучу тайпана таӀзар дийр дац Аса».</verse>
				<verse number="9">ТӀаккха теманхо волчу Элипаза а, шуахьахо волчу Билдада а, иштта наӀматхо волчу Цупара а, бахана, Везачу Эло шайга аьлларг дира. Везачу Эло Аюбан доӀа тӀеийцира.</verse>
				<verse number="10">Шен доттагӀашна тӀера Аюба доӀа дича, Везачу Эло цунна беркат юхадерзийра. Цуьнан хиллачул а шозза дукха бахам белира цунна Везачу Эло.</verse>
				<verse number="11">Аюб волчу схьагулбелира берриг а цуьнан вежарий а, йижарий а, берриг а цуьнан хьалха хилла болу доттагӀий а. Иза волчохь тойнехь Ӏийра уьш, цунах къинхетамаш беш, цуьнан дог а хьостуш, Везачу Эло цунна тӀе мел еана хилла халонаш бахьана долуш. Цара хӀораммо а цунна цхьацца цуьрг дети а, дашо хӀоз а белира.</verse>
				<verse number="12">Везачу Эло цуьнан дӀаяьллачу заманал а чӀогӀа декъалдира цуьнан дисна дахар. ХӀинца цуьнан бейтта эзар уьстагӀ а, газа а яра, ялх эзар эмкал а яра, цхьа эзар шуьста а бара, иштта цхьа эзар виркхела а яра.</verse>
				<verse number="13">Цуьнан ворхӀ кӀант а, кхо йоӀ а яра.</verse>
				<verse number="14">Хьалхарчу йоӀан цӀе Ямимат тиллира цо, шолгӀачун цӀе КъациӀат тиллира, ткъа кхозлагӀчун цӀе Къарин-ХӀапух тиллира.</verse>
				<verse number="15">Дерриг а лаьтта тӀехь бацара Аюбан зудаберел хаза зударий. Аюба, шен бахамах дакъош а дина, кӀенташна санна, зудаберашна а дӀасадийкъира уьш.</verse>
				<verse number="16">Цул тӀаьхьа кхин а бӀе шовзткъа шарахь вехира Аюб, цунна шен берийн бераш а, берийн берийн бераш а гира, доьалгӀачу гаранна тӀекхаччалц.</verse>
				<verse number="17">ТӀаккха Аюб, къан а велла, шен оьмар дуккха а денойх а юьзна, велира.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="19">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">Декъала ву зуламхойн хьехамашца лелаш воцу стаг, къинош летийна болчарна тӀаьхьа ца хӀуттуш верг, кхаьрдаш болчарах дӀа ца кхетарг!</verse>
				<verse number="2">Амма уггар а декъала ву Везачу Элан товрат-хьехамаш кхочушбарх дагна там хуьлуш верг, царах лаьцна дийнахь а, буса а ойланаш еш волу стаг!</verse>
				<verse number="3">Ву иза доьдучу хин йистехь доьгӀна дитт санна, шен хенахь стом а ло цо, гӀа а маргӀал ца дулу цуьнан, ша мел дечунна тӀехь аьтто а хуьлу цуьнан.</verse>
				<verse number="4">Зуламаш дечеран гӀуллакхаш иштта ца хуьлу! Уьш мохо дӀасахьоькху чан санна ма бу.</verse>
				<verse number="5">Цундела зуламе гӀуллакхаш дечеран Делан кхелана хьалха дӀахӀуттийла дац. Къинош летораш а хилалур бац Делан лаамехь болчеран гуламехь.</verse>
				<verse number="6">ХӀунда аьлча Шен лаамехь болчеран некъ Везачу Эло ларбо, ткъа зуламе гӀуллакхаш лелочеран некъо уьш шаьш хӀаллакбо.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Хийрачу мехкашкара нах карзах хӀунда буьйлу? Цахиндерг халкъаша дага хӀунда лаьцна?</verse>
				<verse number="2">Дуьненан паччахьаш цхьаьнакхеташ бу, лаьттан куьйгалхой вовшех дагабуьйлуш бу, Везачу Элана дуьхьал а бевлла, Цо къобалвинчунна новкъарло йо цара.</verse>
				<verse number="3">Цара боху: «Хедийна, дӀадохур вай ваьшна тӀера церан буржалш, церан олаллех паргӀатдевр вай!»</verse>
				<verse number="4">Амма стигалара Дела воьлуш ву цу адамех, Хьалдолчу Эло сийсазбохуш бу уьш.</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха Шен дераллица уьш чӀогӀа кхерийна, Цо, оьгӀаз а вахана, цаьрга дӀахьедийр ду:</verse>
				<verse number="6">«Ас къобалвина Сайн паччахь Цийон-лам тӀехь, Сайн безачу лам тӀехь».</verse>
				<verse number="7">Везачу Эло билгалдаьккхинарг дӀакхайкхор ду оцу паччахьо, Цо аьлларг иштта ду: «Хьо Сан кӀант ву, тахана Хьан Да хили Сох.</verse>
				<verse number="8">Деха соьга, тӀаккха Ас лур ду хьуна тӀаьхьалонна халкъаш а, хьан долахь хилийта дерриг а латта а, цуьнан йистошка кхаччалц.</verse>
				<verse number="9">Ахь эгор ду и халкъаш аьчкан гӀожаца, отур ду уьш, кхийра пхьегӀа санна».</verse>
				<verse number="10">Кхетийша, паччахьаш! Ӏамийша, дуьненан куьйгалхой!</verse>
				<verse number="11">Везачу Элана Ӏамалъейша кхерарца, даккхийдейша шайн дегнаш дегорца!</verse>
				<verse number="12">Ларийша кӀант, Иза оьгӀаз ца вахийтархьама а, шаьш хӀаллак ца дайтархьама а шайн новкъахь. Цуьнан оьгӀазвахар цӀеххьана чӀагӀлур ду. Декъала бу Цуьнга шаьш ларбойтурш массо а!</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">Дауда шен кӀантах Абушаламах ша ведда лелла хан дагайоуьйту назма.</verse>
				<verse number="2">Веза Эла! Ма дебна сан мостагӀий! Дукхахберш суна дуьхьал гӀевттина.</verse>
				<verse number="3">Цара сох лаьцна олу: «Делера кӀелхьарвалар хир дац цунна».</verse>
				<verse number="4">Амма Ахьа, Веза Эла, турсо санна, со ларво. Хьо ду Сан дозалла, Ахь ойу сан сий!</verse>
				<verse number="5">Ас доггах кхойкху Везачу Эле, Шен безачу лам тӀера Цо жоп ло суна.</verse>
				<verse number="6">Со вуьжу, наб йо ас, гӀотту со, Везачу Эло со ларвойла а хууш.</verse>
				<verse number="7">Сайна го бинчу эзарнаш мостагӀех кхералур вац со.</verse>
				<verse number="8">ГӀаттахьа, Веза Эла! Ваккхахьа со кӀелхьара, сан Дела! Ахь сан мостагӀийн яххьаш йоха ма йо, зуламе гӀуллакхаш дечеран цергаш ма оту.</verse>
				<verse number="9">Везачу Элера ду кӀелхьардовлар. Хьан халкъана тӀехь хуьлийла Хьан декъалдар.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хӀара назма мерз-пондаршца лакха езаш ю.</verse>
				<verse number="2">Сан дог Хьоьга кхойкхучу хенахь, дӀахазахьа со, сан бакъволу Дела. Хала киртиг тӀехӀоьттича, Ахь гӀо дора суна, хӀинца а хилахьа соьца дика, сан доӀанна жоп лохьа.</verse>
				<verse number="3">ХӀай нах! Мел дукха Ӏан дохку шу, Со сийсаз а веш? Эрна хӀуманаш а дезаш, харцдерг а лоьхуш, мел лела дохку шу?</verse>
				<verse number="4">Хаалаш, Везачу Эло къастийна Шена тешаме берш. Цундела со Шега кхойкхуш хезаш ву Иза.</verse>
				<verse number="5">Шаьш дарделлачу хенахь къинош ма летадойла аша. Цунах лаьцна кӀоргге ойланаш аша елаш, шайн меттахь дӀатийна шаьш Ӏачу хенахь.</verse>
				<verse number="6">Везачу Элана лерина нийса сагӀанаш цӀеначу даггара дахалаш, Цунах тешна хилалаш.</verse>
				<verse number="7">Дукха наха хоьтту: «Хьан гойтур ю вайна дикалла?» Хьан юьхь тӀера серло тхуна лепийла, Веза Эла!</verse>
				<verse number="8">Сан дог а дузуш, Ахь суна делла ирс церан чул дукха ма ду, кӀа а, чагӀар а церан шортта делахь а.</verse>
				<verse number="9">Меттахь Ӏуьллучу хенахь паргӀат наб йо ас, Веза Эла. Хьо воцучо цхьаммо а кхерам боцуш вха ца вуьту со.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хӀара назма шедагашца лакха еза.</verse>
				<verse number="2">Сан дешнаш дӀахазахьа, Веза Эла, тергам бехьа сан узарийн.</verse>
				<verse number="3">ЛадогӀахьа, сан Паччахь волу Дела, аса доккхучу орцане. Хьоьга деш ма ду аса сайн доӀанаш.</verse>
				<verse number="4">Ӏуьйранна Хьуна хьалха сайн дехарш охьадохку ас, Хьоьгара сайна жоп даре са а туьйсуш.</verse>
				<verse number="5">Хьо зулам хаза ца хета Дела ма ву. Харцонаш еш берш Хьо волчохь бехар бац.</verse>
				<verse number="6">Курачу нахана меттиг яц Хьуна юххехь, цхьа а зуламхо Хьуна ца веза.</verse>
				<verse number="7">Харцлуьйраш хӀаллакбо Ахь. Ца беза Хьуна, Дела, цӀий Ӏенош берш а, мекарлонаш лелораш а.</verse>
				<verse number="8">Ткъа со, Хьан хедар боцу безам бахьана долуш, Хьан цӀа чу вер ву, гора а хӀоьттина, Хьан дезачу цӀа чохь Хьох кхоьруш лаьттар ву.</verse>
				<verse number="9">Ва Веза Эла! Лелавехьа со Хьайн бакъболчу новкъахула, дуьхьалбевлла мостагӀий сан болу дела. Нисбехьа Хьайна тӀебоьду сан некъ.</verse>
				<verse number="10">Цара дуьйцург цхьа а бакъ дац! Церан дегнаш хӀаллакдаран лаамех дуьзна ду, церан къамкъаргаш дӀаделладелла кешнаш санна ю, шайн мекарчу маттаца ямартло йо цара.</verse>
				<verse number="11">Дела, ларахьа уьш бехке! Шаьш йина харцонаш шайна дуьхьал ерзийла царна. И харцонаш мел лелораш дӀабахахьа Ахьа, Дела, Хьайна дуьхьал уьш бовларна.</verse>
				<verse number="12">Баккхийбеш хир ма бу Ахьа шаьш лардаре сатийсинарш. Цара даим хазахетарца иллеш лоькхийла. Ткъа Ахьа ларбехьа уьш. Хьо везарш самукъане хуьлийла, Ахьа мел дийриг бахьана долуш.</verse>
				<verse number="13">Ахь декъалво, Веза Эла, Хьайн лаамехь верг. Хьан безамо иза, турсо санна, ларво.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="6">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хӀара назма бархӀ мерз болчу пондарца ала еза.</verse>
				<verse number="2">ТӀех ма деттахьа суна, Веза Эла, Хьо оьгӀазвахханчохь. ТаӀзар ма дехьа суна Хьо дарвеллачохь.</verse>
				<verse number="3">Веза Эла, къинхетаме хилахьа соьца, со гӀел ма велла. Сан даьӀахкашка зуз догӀу, товехьа со.</verse>
				<verse number="4">Дог а ду сан, чӀогӀа гӀайгӀане доьжна. Мел Ӏан деза те сан Хьоьга сатуьйсуш?</verse>
				<verse number="5">Юха а валий, Веза Эла, паргӀатдаккхахьа сан са! Хьайн хедар боцучу безаман дуьхьа кӀелхьарваккхахьа со.</verse>
				<verse number="6">ХӀунда аьлча эхартехь Хьо цхьанна а дагавогӀур вац, веллачо Хьуна хастамаш а бийр бац.</verse>
				<verse number="7">Аса дечу узарша со гӀел а во, дӀавуьжу мотт аса сайн бӀаьрхишца бус-буса тӀун а бо. Сан велхаро со вуьжу мотт а башийна.</verse>
				<verse number="8">ГӀайгӀанехь хиларна сан бӀаьргаш гӀелделла. МостагӀий бахьанехь уьш телхина догӀу.</verse>
				<verse number="9">ДӀадовла уллора, харцонаш лелораш, хӀунда аьлча дӀахезна Везачу Элана сан велхаран узарш.</verse>
				<verse number="10">Со Шега кхайкхар дӀа а хезна, сан доӀанна жоп лур ду Везачу Эло.</verse>
				<verse number="11">Кхерийна а, эхь хетийтина а хир бу сан массо а мостагӀий. ЦӀеххьана юха а бирзина, юьхьӀаьржачу хӀуттур бу уьш.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="7">
				<verse number="1">Бен-Яманан тӀаьхьенах волчу Хушин гӀуллакх бахьана долуш Дауда Везачу Элана аьлла тийжаме назма.</verse>
				<verse number="2">Сан Веза Дела! Ахьа со ларвар лоьху ас. Массо а суна тӀаьхьабевллачех кӀелхьара а ваккхий, Ахьа паргӀатваккхахьа со,</verse>
				<verse number="3">хӀунда аьлча, лоьмо санна, со хьаьшна, сан са доккхур ду цара, кӀелхьарвоккхург суна уллохь воцучу хенахь.</verse>
				<verse number="4">Сан Веза Дела! Нагахь соьгара цхьа хӀума даьллехь, я сан куьйго къа латийнехь,</verse>
				<verse number="5">нагахь аса сайца машарехь Ӏаш волчунна зе динехь, я сан мостагӀчунна, бехк а боцуш, со бахьана долуш ницкъ хиллехь,</verse>
				<verse number="6">мостагӀчо, суна тӀе а кхиъна, схьа а лаьцна, лаьттахь сан са а хьаьшна, сох чан а йина, вуьтийла со.</verse>
				<verse number="7">Валахьа, Веза Эла, Хьайн оьгӀазаллица дуьхьал, и оьгӀазалла сан мостагӀийн дераллина дуьхьал а йоккхуш. Самавалахьа, Сан Дела, меттахӀоттаехьа нийсо.</verse>
				<verse number="8">Массо а халкъаш Хьайна гонах а гулдай, Хьо волчу лакхахь царна тӀехь Куьйгалхо хилахь.</verse>
				<verse number="9">Везачу Эло йо халкъашна тӀехь кхел. Со бакъхиларе хьаьжжина, ехьа, Веза Эла, суна кхел. Сан дог а цӀена ма ду.</verse>
				<verse number="10">Адамийн хьекъал а девза Хьуна, дегнаш а чекх го Хьуна, тхан бакъволу Дела. Зуламхойн зенаш а сацадехьа Ахь, ткъа Хьайн лаамехь берш чӀагӀ а бехьа.</verse>
				<verse number="11">Со ларвеш долу турс ду Дела, догцӀена берш кӀелхьарбоху Цо.</verse>
				<verse number="12">Дела бакъонца кхел Йийриг ву. ХӀора дийнахь зуламхошна кхел кхайкхош ву Иза.</verse>
				<verse number="13">Нагахь ишттачех цхьаъ Шегахьа ца верзахь, Цо, Шен тур а ирдой, Шен Ӏад а дулий, уьш цунна тӀе хьажадо.</verse>
				<verse number="14">Ӏожалла тӀейоуьйту Цо, Шен гӀирс схьа а оьций, Шен догу пхерчий цунна тӀехьажадо.</verse>
				<verse number="15">Шен даг чохь зуламаш кхоьллинчо, кхечарна вон болх хила луучо ша-шена харцо кхуллу.</verse>
				<verse number="16">Кхечунна ор доккхург ша оцу ор чу вужур ву.</verse>
				<verse number="17">Ша кхоьллина баланаш цунна тӀе юхабоьрзур бу, цо дина зулам а цуьнан шен коьртах кхетар ду.</verse>
				<verse number="18">Ас хастам бо Везачу Элана Иза бакъ хиларна. Веза Воккхачу Элан цӀеран сийнна йиш а локху аса.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="8">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хӀара назма Гати-гӀалара схьаяьллачу эшаран мукъам балош болчу гӀирсаца ала еза.</verse>
				<verse number="2">Ва Веза Эла! Тхан Хьалдолу Эла! Ма сийлахь ю Хьан цӀе дерриге а лаьтта тӀехь! Стигалшкахь дӀахӀоьттина ду Хьан сий!</verse>
				<verse number="3">Кегийчу берийн а, декхаш долчу берийн а багахула. ГӀап дӀахӀоттийра Ахьа, Хьайн мостагӀий бахьана долуш. Хьуна дуьхьалбевлларш а, бекхам бийраш а дӀасовцорхьама дира Ахьа иза.</verse>
				<verse number="4">Ахь кхоьллинчу стигалшка со хьалахьаьжча, цу тӀехь Ахь шен-шен метте дӀахӀиттийна буттий, седарчий го суна.</verse>
				<verse number="5">Стаг мила ву, Хьан цуьнан бала кхача? Адаман кӀант мила ву, Ахьа цуьнан гӀайгӀа бан?</verse>
				<verse number="6">Стигалийн гуламан декъашхойл дукха лах ца дина Ахь адам, сийлаллин таж а делла, вазвина Ахь иза.</verse>
				<verse number="7">Ахь адам олалла дан дӀахӀоттийна Айхьа кхоьллинчу массо а хӀуманна тӀехь. Ахь адаман когашка диллина доллу хӀума а:</verse>
				<verse number="8">уьстагӀий а, бежанаш а, иштта акхарой а,</verse>
				<verse number="9">стигалара олхазарш а, хӀорда чуьра чӀерий а, хӀорда чохь мел лела садолу хӀума а.</verse>
				<verse number="10">Ва Веза Эла! Тхан Хьалдолу Эла! Ма сийлахь ю Хьан цӀе дерриге а лаьтта тӀехь!</verse>
			</chapter>
			<chapter number="9">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «КӀант валар» олучу эшаран мукъамехь лакха еза. Дауда язйина назма ю иза.</verse>
				<verse number="2">Веза Эла, сайн дерриг а даггара ас Хьуна хастамаш бийр бу, Хьан массо а тамашийна гӀуллакхаш аса дӀакхайкхор ду.</verse>
				<verse number="3">Ахьа мел дийриг бахьана долуш, хазахеташ а, воккхавеш а со хир ву. Веза Воккха Дела, Хьан цӀарна лерина иллеш ас эр ду.</verse>
				<verse number="4">Сан мостагӀий дӀабоьрзучу хенахь, Хьуна хьалха охьа а оьгий, хӀаллакьхуьлу.</verse>
				<verse number="5">Сан гӀуллакхна тӀехь Ахь нийсонца кхел яйтира. Бакъволу Кхелахо волу Хьо Хьайн Ӏарша тӀе охьахиира.</verse>
				<verse number="6">Кхидолу къаьмнаш Ахьа бехкедира, Ӏесанаш Ахьа хӀаллакбира, абаденналц церан цӀераш а дӀаяйира.</verse>
				<verse number="7">МостагӀий Ахьа кхаьллина дӀабехи. Церан гӀаланаш а Ахь хӀаллакйина дӀаехи, царах болу дагалацам а цаьрца цхьаьна дӀабели.</verse>
				<verse number="8">Ткъа Везачу Эло массо а хенахь олалла дийр ду. Цо Шен Ӏарш кхел ярна кечйина ю.</verse>
				<verse number="9">Цо дуьненна нийсонца кхел йо, халкъашна тӀехь а Цо бакъонца иза йо.</verse>
				<verse number="10">ГӀело йиначарна Веза Эла гӀап санна а ву, баланаш тӀехӀиттинчу заманахь тӀетовжа меттиг а ю.</verse>
				<verse number="11">Хьан цӀе шайна евзинарш Хьуна тӀетевжа, хӀунда аьлча, Веза Эла, Хьо лоьхурш Ахьа дӀатесна ца буьту.</verse>
				<verse number="12">Цийон-лома тӀера олалла дечу Везачу Элана ала аша иллеш. Къаьмнашна юкъахь дӀакхайкхаде аша Цуьнан гӀуллакхаш.</verse>
				<verse number="13">ЧӀир йоькхуш волчу Цо гӀело хьоьгучеран узарш диц ца до. Цо уьш дагахь а латтабо.</verse>
				<verse number="14">Веза Эла, Ахьа сох къинхетам бехьа, со цавезачаьргахьара аса хьоьгучу баланашка хьажахьа. Ӏожаллин кевнера со хьалаваккхахьа,</verse>
				<verse number="15">Цийонан йоӀан кевнехь соьга Хьайна хастамаш байтархьама. Воккхавеш хир ву со, Ахьа кӀелхьарваккхарна.</verse>
				<verse number="16">Шаьш даьккхинчу ор чу эгна халкъаш, кӀело еш, шаьш тийсинчу бойнех тасабелла церан когаш.</verse>
				<verse number="17">Веза Эла Цо йинчу кхелехула вевзинера. Ӏесанаш шайн куьйга динчу гӀуллакхаша дӀалаьцна.</verse>
				<verse number="18">Эхарте кхочу Ӏесанаш а, Дела вицвеш долу дерриг къаьмнаш а.</verse>
				<verse number="19">Гуттаренна а хир дац мисканиг вицвар, массо а ханна дӀадаьлла дац къечун сатийсар.</verse>
				<verse number="20">ГӀаттахьа, Веза Эла! Адаме толам ма баккхийтахьа, Хьайна хьалха халкъашна кхел яйтахьа.</verse>
				<verse number="21">Веза Эла, Хьайгара кхерам тасахьа царна, шаьш адамаш бен доцийла хаийтахьа къаьмнашна.</verse>
				<verse number="22">Веза Эла, суна иштта генахь хӀунда ву Хьо? Со баланехь волуш къайла хӀунда волу Хьо?</verse>
				<verse number="23">Дегнаш курадовларна къечарна тӀаьхьабовлу Ӏесанаш. Шайна дагадаьхкинчу хӀилланаша дӀалоцийла уьш.</verse>
				<verse number="24">Шен синан лаамех дозалла до Ӏесачо. Шена харц пайда лоьхучо Веза Эла дӀа а тосу, Цунна сардам а буллу.</verse>
				<verse number="25">Дозаллаш дарца Ӏесачунна моьтту, ша цхьаммо а жоьпе озор вац, Цуьнан цхьана а ойланехь Дела вац.</verse>
				<verse number="26">Муьлххачу хенахь а цо дечу некъаша цуьнан аьтто боккху. Хьан кхел а цунна ма генахь ю. Иза шен массо а мостагӀашка цавашарца хьоьжу.</verse>
				<verse number="27">Шен дагахь цо олу: «Со вухур вац. Цкъа а суна зуламе дерг тӀедогӀур дац».</verse>
				<verse number="28">Цуьнан бага сардамех а, мекарлонех а, гӀело ярх а юьзна ю. Цуьнан меттан буьххьехь зуламениг а, вониг а ду.</verse>
				<verse number="29">Ярташна уллохь кӀело йо цо, къайлаха йолчу меттигашкахь бехке воцург воь цо, къайлаха декъазачуьнга бӀаьргаш хьежабо цо.</verse>
				<verse number="30">Коьллашкахь кӀело йина Ӏуьллучу лоьмо санна, къечунна къайлаха кӀело йо цо. Шен бой а тосий, къениг дӀалоцу цо.</verse>
				<verse number="31">Сатта а сеттий, таба а тебий, шен ондачу мӀарашца декъазанаш дӀалоцу цо.</verse>
				<verse number="32">Шен дагахь цо олу: «Далла дицделла ас динарг. Шен юьхь дӀа а ерзийна, ца го Цунна ас лелориг».</verse>
				<verse number="33">Сан Веза Дела, гӀаттахьа, Хьайн куьг хьалаайахьа, Ӏазапехь берш а Ахь биц ма бехьа.</verse>
				<verse number="34">Ӏесачунна Дела дегаза хӀунда хета те, шен дагахь: «Ахьа-м жоьпе озор вацара со», — олуш?</verse>
				<verse number="35">ХӀетте а Хьуна дерриг а го, зуламан а, халахетаран а тидам бо, Ӏазап хьоьгуш берш а Ахьа Хьайн каралоцу. Къечо а ша Хьан кара дӀало. Байлахь висинчунна а Хьо гӀоьнча ву</verse>
				<verse number="36">Ӏесачун а, зуламечун а ницкъ бохабехьа, церан Ӏесаллех уьш жоьпе озабехьа, церан Ӏесаллех хӀумма а ца диссалц.</verse>
				<verse number="37">Веза Эла абаденналц а, гуттаренна а Паччахь ву! Кхин къаьмнаш Цуьнан лаьтта тӀера дӀадовр ду.</verse>
				<verse number="38">Веза Эла! Хьуна дӀахеза Хьайна хьалха шаьш кӀезиг хетачийн лаамаш. Церан дегнаш Ахь чӀагӀ а до, Хьайн лерг царна дӀа а делла.</verse>
				<verse number="39">Байлахь висинчунна а, Ӏазап хьоьгучунна а Ахь нийса кхел йо, лаьттарчу адаме кхин цкъа а кхерамаш ца тийсийтархьама.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="10">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. Везачу Эло со ларвар лоьху аса. ХӀунда олу аша сан сине: «Олхазар санна, тӀема а далий, шайн лома тӀе дӀагӀо?</verse>
				<verse number="2">Ӏесачара, секхаӀедаш а дуьйлина, шайн пхерчий зӀенаршна тӀехӀиттийра, боданехь догцӀеначарна тӀетохархьама.</verse>
				<verse number="3">ХӀун дийр ду Делан лаамехь болчара, шайна кӀелара Ӏесачара бух дӀабаьккхича?»</verse>
				<verse number="4">Веза Эла Шен дезачу цӀа чохь ву, Цуьнан Ӏарш стигалшкахь ю. Цуьнан бӀаьргаш массо а стаге хьоьжу, дӀабиллинчу бӀаьргашца Цо адамаш толлу.</verse>
				<verse number="5">Везачу Эло зоь Шен лаамехь верг а, Ӏесаниг а, ткъа къизалла ерг Шен дерриг а синца Цунна ца веза.</verse>
				<verse number="6">Ӏесачарна тӀе догуш долу кӀегий а, саьмгал а, догӀа санна, охьаӀанор ду Цо. Чахчо мох а церан кхоллам хир бу.</verse>
				<verse number="7">Веза Эла нийса а ву, Цунна нийсо а еза. ДогцӀеначунна Цуьнан юьхь гур ю.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="11">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хӀара назма бархӀ мерз болчу пондарца ала еза.</verse>
				<verse number="2">КӀелхьарваккхахьа со, Веза Эла! Цхьа а суьпаниг ца висна-кх, адамашна юкъахь тешаменаш а бац-кх.</verse>
				<verse number="3">ХӀораммо а шен уллорачуьнга харцдерг дуьйцу. Шайн мекарчу меттанашца цара шалхо лелайо.</verse>
				<verse number="4">Ва Веза Эла! Дерриге а мекара меттанаш хедадехьа! Дозаллех юьзна хӀорра а бага дӀакъовлахьа!</verse>
				<verse number="5">Цара олу: «Тхайн меттанашца ларор ду тхо, хӀара баганаш тхан ю. Мила вер вара тхо совцо?»</verse>
				<verse number="6">Везачу Эло боху: «ГӀоттур ву Со мискачара хьоьгучу Ӏазапан дуьхьа а, къечара дечу узарийн дуьхьа а. Цара лоьху кӀелхьардовлар лур ду Аса царна».</verse>
				<verse number="7">Везачу Элан дешнаш — цӀена дешнаш ду. Кхерча диллина долу, ворхӀазза дахчийна дети санна уьш ду.</verse>
				<verse number="8">Веза Эла, гуттаренна а лардехьа тхо, оцу вочу нахах тхо гена а дохуш.</verse>
				<verse number="9">Гонах массанхьа а Ӏесанаш лела, массара а зуламениг хесточу хенахь.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="12">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.</verse>
				<verse number="2">Кхин а мел ханна хир ду те Ахьа сан тергам ца бар, Веза Эла? Кхин а мел Ӏийр ву те Хьо соьгахьара дӀавирзина, Веза Эла?</verse>
				<verse number="3">Мел Ӏан деза те сан бала хьоьгуш, хӀора дийнахь сайн даг чохь болу сингаттам лелош? Кхин мел хан ер ю те сан мостагӀаша со хьийзош?</verse>
				<verse number="4">Сан Веза Дела, хьажахьа Хьо соьга, лохьа суна жоп. Юхаерзаехьа сан могушалла а, со велла дӀа ца валийтархьама.</verse>
				<verse number="5">Ша сол тоьлла ма олийла сан мостагӀчо! Со эшна аьлла, хаза ма хетийла суна тӀаьхьа бевллачарна.</verse>
				<verse number="6">Ткъа со Хьан хедар боцучу безамах тешна ву. Ахьа со кӀелхьарваккхарна, Сан дог самукъадаьлла хир ду. Ахь суна динчу диканна, ас Хьуна иллеш эр ду!</verse>
			</chapter>
			<chapter number="13">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. Сонтачара шайн дагахь боху: «Дела вац». Ма телхина нах бу уьш, цара лелориг мел дегаза хӀума ду. Диканиг дийриг цхьа а вац царах.</verse>
				<verse number="2">Стигалшкара адамашка охьахьоьжу Веза Эла, цхьа а кхетамехь верг а вуй те, Дела лоьхург а вуй те, Шена гархьама.</verse>
				<verse number="3">Берриш а нийсачу некъах тилла, уьш массо а талхарх буьзна. Царах цхьа а вац диканиг дийриг, ур-атталла цхьаъ-м вац.</verse>
				<verse number="4">Кхетаме богӀур болуш а бац те харцонаш лелош мел берш, шаьш бепиг дууш санна, сан халкъ дӀакхоллурш, ткъа Везачу Эле ца кхойкхурш?</verse>
				<verse number="5">ЦӀеххьана царна тӀе кхерам тосур бу, Дела Шен лаамехь болчаьргахьа ма ву.</verse>
				<verse number="6">Декъазчо ечу ойланех шу кхаьрдаш делахь а, Везачу Эле цо ша лар ма войту!</verse>
				<verse number="7">Исраилан халкъана кӀелхьардалар Цийон-лома тӀера догӀур делахьара! Шен халкъ Везачу Эло юхаметтахӀоттийча, Якъубан тӀаьхьенан сакъералур дара, Исраилан халкъан самукъадер дара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="14">
				<verse number="1">Даудан назма. Веза Эла! Хьан хӀусамехь Ӏан хьенан ю бакъо? Хьан безачу лома тӀехь ваха хьенан ю бакъо?</verse>
				<verse number="2">Иза дан бакъо ю, цӀеначу новкъахула а лелаш, бакъахьараниг а деш, даггара билггал бакъдерг олуш волчун.</verse>
				<verse number="3">Иза дан бакъо ю, цхьанна а мотт а ца бетташ, шена тешаме волчунна зуламе дерг а ца деш, шен уллораниг емал а ца веш волчун.</verse>
				<verse number="4">Иза дан бакъо ю, Везачу Эло дӀатеснарг бӀаьрга ван а ца везаш, амма Везачу Элах кхоьруш болчеран сийдеш волчун. Шена цунах зен хилахь а, ша цунна хьалха чӀагӀо йинехь, шен дашана тӀера волуш воцучун.</verse>
				<verse number="5">Иза дан бакъо ю, шен дети совдаккхархьама, иза духалург луш воцучун а, бехке воцучух кхаьънаш схьаоьцуш воцучун а. Цу тайпана лелаш верг даима а лаьттар ву.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="15">
				<verse number="1">Дауда язйина назма. Ӏалашвехьа со, Ва Дела, Ахьа со ларвар аса лоьху дела.</verse>
				<verse number="2">Везачу Эле аса элира: «Хьо ву сан Веза Эла. Сан массо а диканиг Хьоьгара бен дац».</verse>
				<verse number="3">Кху лаьттахь болчу Далла тешамечарах аьлча, уьш сийлахь ма бу, царах со тамехь ву.</verse>
				<verse number="4">Хийрачу деланашна тӀебоьлхучеран баланаш совбевр ма бу. ЦӀий Ӏаноран сагӀанаш аса церан деланашна дохур дац, церан цӀераш а сайн багахула аса йохур яц.</verse>
				<verse number="5">Суна кхочу дакъа а, сан хинболу кхоллам а, Веза Эла, Хьо ву. Сан бала беза кхаж а Хьан карахь бу.</verse>
				<verse number="6">Суна дӀадуьстина дерг исбаьхьа ду, Хьоьгара кхочун дерг суна тамехь ду.</verse>
				<verse number="7">Сайна кхетам луш волу Веза Эла аса декъалво. Ур-атталла буьйсанна а сан даго суна хьехам бо.</verse>
				<verse number="8">Суна гуттар а го Веза Эла сайна хьалха. Иза суна аьтту агӀор ву, со воха ца вохийта.</verse>
				<verse number="9">Цундела сан дог а сакъералуш ду, сан багара мотт а самукъадаьлла бу. Сан дегӀ а кхерамехь дац.</verse>
				<verse number="10">ХӀунда аьлча Ахь эхартахь со вуьтур вац. Хьайна тешаме волчунна вахкавалар гойтур дац.</verse>
				<verse number="11">Ахьа бакъдолчу дахаран некъ суна гайтина, Хьуна уллохь хиларна хазахетарх со вузор ву Ахь, Хьан аьтту агӀор со леларна, абаденналц а там суна хуьлуьйту.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="16">
				<verse number="1">Даудан доӀа. Веза Эла, Хьоьгара нийсо лоьхуш волу со дӀа а хазий, тергамца сан тийжаме ладогӀахьа, харц йоцучу сан багара доӀа тӀеэцахьа.</verse>
				<verse number="2">Ахь нийса кхел йийр ю суна, бакъдерг Хьуна дика ма го.</verse>
				<verse number="3">Сан деган кӀоргене хьаьжира Хьо. Буьйсанна сан терго а йина, со Ахьа зийча, цхьа а вониг ца карийра Хьуна. Сайн бетера цхьа а вониг ца далийта сацам бина аса.</verse>
				<verse number="4">Хьан багара долучу дешнашна тӀаьхьа а хӀуьттуш, ларлуш лела со. Ткъа адамаша лелочу гӀуллакхашна а, церан зуламечу некъашна а со тӀаьхьа ца хӀуьтту.</verse>
				<verse number="5">Хьан некъахула леларца сайн когаш чӀагӀбира аса. Уьш дӀа а ца бевлла цу некъа тӀера.</verse>
				<verse number="6">Дела! Хьоьга кхойкху со, Хьуна со хезар волу дела. Хьайн лерг Ахь, соьгахьа схьа а дерзадай, дӀахазахьа сан дешнаш.</verse>
				<verse number="7">Хедар боцу Хьайн безам Ахьа кховдабехьа, Ахьа шаьш лардар лоьхурш ницкъ беш тӀегӀертачех Хьайн бакъахьарчу куьйгаца кӀелхьарбохуш верг.</verse>
				<verse number="8">Хьайн тӀемийн ӀиндагӀехь хьулвехьа со, йоӀбӀаьрг санна, ларвехьа со</verse>
				<verse number="9">суна тӀегӀоьртинчу буьрсачу мостагӀех, суна го бинчу сан са лоьхучу мостагӀех.</verse>
				<verse number="10">Церан дог ца лозу кхидолчу адамех, ткъа церан къамелаш кураллех дуьзна ду.</verse>
				<verse number="11">Уьш суна тӀе а гӀоьртина, хӀинца суна го а бина цара, шайн бӀаьргаш суна тӀе хьажийна цара, со лаьтта охьатаӀо гӀерта уьш.</verse>
				<verse number="12">Ижунах хьаьгна долчу мецачу лоьмах тера бу уьш, къайлаха тӀекхета кечделлачу къоначу лоьмах тера бу уьш.</verse>
				<verse number="13">Веза Эла! Дуьхьалвалахьа сан мостагӀашна, царна тӀе а гӀортий, Ахь эшабехьа уьш. Хьайн туьраца кӀелхьардаккхахьа сан са оцу зуламхойх.</verse>
				<verse number="14">Ва Веза Эла, Хьайн нуьцкъалчу куьйгаца кӀелхьарваккхахьа со, кху дуьненахь бен дахар дац моьттучу нахах, церан кху лаьттахь оьшшуш долу дакъа ду. Хьайн хазни чуьра кхоччуш долу таӀзарш дехьа царна, церан бераш а таӀзарех дузахьа, церан берийн берашна а царах диснарг лохьа.</verse>
				<verse number="15">Ткъа суна бакъонца гур ю Хьан юьхь, самаваларца, Хьан сибат а гина, там хир бу суна.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="17">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: хӀара назма Везачу Элан ялхо волчу Дауда язйина ю. ХӀара назма Дауда Везачу Элана олура массо а мостагӀийн а, Шаулан а карара ша Цо кӀелхьарваьккхинчу дийнахь. Дауда элира:</verse>
				<verse number="2">«Веза Эла, Хьо веза суна, Хьо сан ницкъ бу!</verse>
				<verse number="3">Веза Эла — сан чхар, сан чӀагӀо, со КӀелхьарваккхархо ву. Сан Дела сан тарх ю, Цуьнга ас со ларвойту. Иза сан турс а, сан кӀелхьарваларан ницкъ а бу. Иза со къайлавоккху меттиг а ю.</verse>
				<verse number="4">Шена хастам бан хьакъ долчу Везачу Эле ма кхойкху со, ткъа Цо сан мостагӀех кӀелхьарвоккху со.</verse>
				<verse number="5">Ӏожаллин зӀенаша дӀалаьцнера со, дохаран тулгӀенаша дӀахьош вара со.</verse>
				<verse number="6">Эхартан зӀенаш хьаьрчинера сох, Ӏожаллин бой яра суна хьалха.</verse>
				<verse number="7">Сайна бохам баьллачу дийнахь Везачу Эле орца даьккхира Аса. Сайн Деле гӀо доьхуш кхайкхира со. Шен цӀа чохь Цунна сан аз дӀахезира. Сан орца Цуьнан лере дӀакхечира.</verse>
				<verse number="8">Латта дега а дира, ласта а лестира, лаьмнийн баххаш меттах а девлира, Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахана дела.</verse>
				<verse number="9">Цуьнан мерӀуьргаш чуьра кӀур арабийла болабелира, доллу хӀума дӀакхоллуш йолу цӀе Цуьнан багара елира, догуш долу кӀегий цу чуьра охьаоьгура.</verse>
				<verse number="10">Стигалш дӀаса а теттина, Иза охьавоьссира, Цуьнан когаш бухахь Ӏаьржа мархаш яра.</verse>
				<verse number="11">Каруб-маликашна тӀе а хиъна, тӀемавелира Иза, механ тӀемаш тӀехь дӀавахара Иза.</verse>
				<verse number="12">Цо хӀаваэрачу Ӏаьржачу мархех Шена къайлаволу меттиг йира, Цунна гонах иза четар санна хилира.</verse>
				<verse number="13">Дукха къегаш хиларна, Цунна хьалхара Ӏаьржа мархаш сихха дӀасаевлира, къора а туьйхира, догуш долу кӀегий серла а девлира.</verse>
				<verse number="14">Стигалара къекъаш санна, Везачу Элан гӀовгӀа елира! Веза Воккхачо Шен аз хазийтира. Къора туьйхира, догуш долу кӀегий серладевлира</verse>
				<verse number="15">Шен пхерчий а кхиссина, Цо мостагӀий дӀасалаьхкира. ЧӀогӀа ткъес а тоьхна, Цо уьш дӀа ма бовдийтира.</verse>
				<verse number="16">Веза Эла, Хьан оьгӀазе аз дӀахезча, Хьан мерӀуьргашкахула хӀо арадаьлча, хӀордийн баххаш гучудевлира, лаьттан баххаш схьаделладелира.</verse>
				<verse number="17">Везачу Эло лакхенгара, Шен куьйгаш схьа а кховдийна, со кӀоргачу хи чуьра схьаваьккхира.</verse>
				<verse number="18">Доьналла долчу сан мостагӀийн куьйга кӀелара Цо со схьаваьккхира, сол ницкъ болчу, со ца везаш болчу мостагӀех кӀелхьара а ваьккхира.</verse>
				<verse number="19">Сан де эшначу дийнахь уьш суна дуьхьалбевлира, амма Веза Эла суна гӀортор хилла дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="20">Кхераме йоцучу метте Цо араваьккхира со, Ша суна реза хиларна, кӀелхьарваьккхира со.</verse>
				<verse number="21">Со бакъ хиларе хьаьжжина, Везачу Эло суна дика делла. Сан куьйгаш цӀена хиларе терра, Цо суна кхаъ белла.</verse>
				<verse number="22">Везачу Эло сайна гайтина некъаш аса лар а дора, сайн Делехьара дӀа ца верзалуш, со Ӏеса а ца лелара.</verse>
				<verse number="23">Цуьнан дерриг а тӀедехкинарш суна хьалха дара, Цуьнан парзашна тӀера со дӀа а ца волура.</verse>
				<verse number="24">Цунна хьалха со цӀена хилла, къинош латорах ларлуш а хилла.</verse>
				<verse number="25">Со бакъ хиларе хьаьжжина, Везачу Эло суна кхаъ белла, Цуьнан бӀаьргашкахь сан куьйгаш цӀена долу дела.</verse>
				<verse number="26">Хьайца тешаме волчуьнца тешаме хуьлу Хьо, кхоччуш леллачуьнца кхоччуш хуьлу Хьо.</verse>
				<verse number="27">ЦӀена волчуьнца цӀена хуьлу Хьо, ткъа мекара волчуьнца — цуьнан мекарлоне хьаьжжина хуьлу.</verse>
				<verse number="28">Мисканаш Ахьа кӀелхьарбоху, ткъа цабашарца хьоьжурш Ахьа охьатаӀабо.</verse>
				<verse number="29">Веза Эла, сан стогар Ахьа латабо. Сан бода а Дала серлабоккху.</verse>
				<verse number="30">Хьоьца со хилча, аса эскар а эшадо, сайн Делаца со пенал дехьа а вуьйлу.</verse>
				<verse number="31">Дела — Цуьнан некъ кхоччуш дика бу! Везачу Элан дош ма цӀена ду! Цуьнга шаьш лардойтучу массарна а Иза турс санна хилла дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="32">Дела кхин мила ву, Веза Эла воцург? Тарх санна, дӀахӀоьттина мила ву, вайн Дела воцург?</verse>
				<verse number="33">Берриг ницкъ а Дала ло суна, дахаран некъ а нисбо Цо сан.</verse>
				<verse number="34">Сан когаш сен когех тарбо Цо, лакхенашкахь со чӀогӀа лоттуьйту.</verse>
				<verse number="35">Сан куьйгаш Цо тӀом бан а Ӏамадо, аса хӀинца цӀестан Ӏад дула а тарло.</verse>
				<verse number="36">Со кӀелхьарвоккху турс Ахь суна делира, Хьан аьтту куьйго со лар а вира. Хьан гӀодаро со тӀех воккха а войтура.</verse>
				<verse number="37">Ахьа соьга ког шуьйра боккхуьйтура, цундела сан болар гал ца долура.</verse>
				<verse number="38">Сайн мостагӀашна тӀаьхьа а ваьлла, царна тӀекхиира со. Уьш, хӀаллак а бина, байъалц юха а ца вирзира со.</verse>
				<verse number="39">Хьала ца гӀовттабаллал ас уьш охьабехкира, ткъа уьш сан когашка охьаийгира.</verse>
				<verse number="40">Ахьа суна тӀом бан ницкъ а белла, суна дуьхьалбевлларш сан когашка охьа а бехкина.</verse>
				<verse number="41">Ахь дӀабовдийтинчу сан мостагӀийн баккъаш суна гина, цундела со цавезнарш ас хӀаллакбина.</verse>
				<verse number="42">Цара, шаьш кӀелхьардаха бохуш орца дохура, амма уьш кӀелхьарбаха стаг вацара. Цара Везачу Эле кхойкхура, амма Цо царна жоп ца лора.</verse>
				<verse number="43">Мохо дӀасаяржо чан санна, царах кегийра дакъош ас дора. Урамашкара хатт санна, уьш ас хьоьшура.</verse>
				<verse number="44">Суна дуьхьалдаьллачу халкъах Ахь со кӀелхьарваьккхина. Кхечу къаьмнашна тӀехь куьйгалхо Ахь со вина. Суна девзаш а ца хиллачу адамаша хӀинца суна гӀуллакх до.</verse>
				<verse number="45">Сох лаьцна шайна дӀа-ма-хеззи, суна муьтӀахь хуьлу уьш. Кхечу мехкашкара нах суна хьалха хьестало.</verse>
				<verse number="46">Даг чохь болчу кхерамо гӀора дӀадаьккхинера церан, цундела, бега а беш, шайн чӀагӀонашкара арабуьйлура уьш.</verse>
				<verse number="47">Дийна ву Веза Эла! Декъала хуьлда сан Тарх! Веза воккха хуьлда со кӀелхьарвоккху Дела!</verse>
				<verse number="48">Дела ву сох бекхам бийриг а, халкъаш суна муьтӀахь дийриг а,</verse>
				<verse number="49">сан мостагӀех со кӀелхьарвоккхург а! Суна дуьхьалбевллачарна тӀехь Ахьа соьга толам баккхийтира. Къизачу нахах Ахь со кӀелхьарваьккхира.</verse>
				<verse number="50">Цундела кхечу къаьмнашна юкъахь Аса Хьуна хастамаш бийр бу, ва Веза Эла, иллешкахь Хьан цӀе а хестор ю ас.</verse>
				<verse number="51">Везачу Эло шен паччахье баккхий толамаш бохуьйту. Иза массо а ханна тешаме хир ву Ша къобалвинчунна, Даудана а, цуьнан тӀаьхьенна а».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="18">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.</verse>
				<verse number="2">Стигалша Делан сийлалла гойту. Цо динчу гӀуллакхех лаьцна дуьйцу цара.</verse>
				<verse number="3">Таханалерчу дийно кханалерчуьнга хаам бо, тховсалерчу буьйсано кханалерчу буьйсане дуьйцу цунах лаьцна.</verse>
				<verse number="4">Ца дуьйцу иза я меттанашца, я дешнашца, церан аз а дац хезаш.</verse>
				<verse number="5">Дерриг а лаьтта тӀехула чекхйолу церан лар. Дуьне мел ду дӀакхочу церан тоьшалла. Стигалшкахь маьлхана Ӏан меттиг елла Дала.</verse>
				<verse number="6">Шен нускал долчуьра воккхавеш араволу кӀант санна, араболу малх а, къийсаршкахь хьалхейоккхург санна, ша бан безачу некъах боккхабеш.</verse>
				<verse number="7">Стигалийн цхьана йистера схьаболу иза, вукху йисте кхаччалц некъ а бу цуьнан. Малхо луш йолчу йовхонах цхьа а хӀума хьул ца ло.</verse>
				<verse number="8">Везачу Эло белла хьехам билггала нийса бу, цо синан чӀагӀо йо. Везачу Эло дӀадиллинарг а тешаме ма ду, Цо хьекъална кӀоргге волчунна а хьекъалалла ло.</verse>
				<verse number="9">Везачу Элан омранаш бакъахьара ду, цара дог айадо. Везачу Элан весет сирла ду, цо бӀаьргаш серладоху.</verse>
				<verse number="10">Везачу Элах кхерар цӀена ду, иза абаделлалц ду. Везачу Элан кхелаш билггал бакъ а ю, уьш нийса а ю.</verse>
				<verse number="11">И дерриге а дешил деза ду, мазал а, улха чуьра мезан тӀадамал а мерза ду.</verse>
				<verse number="12">Хьан лена а цара боккха хьехам бо, уьш кхочушбарна йоккха ял а хуьлу.</verse>
				<verse number="13">Ша латийна массо а къинош хьанна го? Сан къайлаха долчу къинойх цӀанвехьа Ахь со.</verse>
				<verse number="14">Лаам болуш леточу къинойх ларвехьа Хьайн лай, цаьрга суна тӀехь толам а ца боккхуьйтуш. ТӀаккха цӀена хир ву со, даккхийчу къиношна бехке а воцуш.</verse>
				<verse number="15">Веза Эла, сан Тарх а, суна паргӀато Лург а, сан бетера долу дешнаш а, сан деган ойланаш а тамехь хуьлийла Хьуна хьалха.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="19">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.</verse>
				<verse number="2">Холчу хӀоьттинчу дийнахь дӀахезийла хьо Везачу Элана, ларвойла хьо Якъубан Делан цӀаро.</verse>
				<verse number="3">Цо гӀо доккхийла хьоьгахьа Шен цӀа чуьра, Цийон-лам тӀера хьо чӀагӀвойла Цо.</verse>
				<verse number="4">Ахь сагӀина мел деанарг дагатосийла Цунна, ахь дийнаташ дагоран сагӀа даккхарх там хуьлийла Цунна.</verse>
				<verse number="5">Кхочушбойла Везачу Эло хьан деган лаам а, ерриге хьан Ӏалашонаш а кхочушйойла Цо.</verse>
				<verse number="6">Ахь толам баьккхича, тхуна хазахетар ду, тӀаккха вайн Делан дуьхьа вай байракх ойур ю. Кхочушдойла Везачу Эло хьан дерриг а дехарш.</verse>
				<verse number="7">ХӀинца хиъна суна Везачу Эло Ша къобалвинарг кӀелхьарвоккхийла. Шен сийлаллин стигалшкара Цо жоп ло цунна Шен нуьцкъалчу кӀелхьарвоккхучу куьйгаца.</verse>
				<verse number="8">Цхьаболчара гӀудалкхех, вукхара говрех, ткъа оха тхайн Везачу Делан цӀарах дозалла до.</verse>
				<verse number="9">Уьш, мал а белла, ийгира, ткъа тхо, дӀа а хӀиттина, нисделира.</verse>
				<verse number="10">Веза Эла! Паччахье толам баккхийтахьа, тхо дӀа а хазахьа, Хьайга орца дохучу хенахь.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="20">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.</verse>
				<verse number="2">Веза Эла! Хьо нуьцкъала хиларна самукъадаьлла ву паччахь, Ахь толам баккхийтарна барам боцуш хазахетта ву иза.</verse>
				<verse number="3">Цуьнан дагна лиънарг делла Ахь цунна, цуьнан бето дехнарг дӀа а ца теттира Ахьа.</verse>
				<verse number="4">ХӀунда аьлча диканна декъалварца дуьхьалвеара Хьо цунна, цӀеначу деших дина таж диллира Ахь цуьнан коьрта тӀе.</verse>
				<verse number="5">Цо дахар далар дийхира Хьоьга, Ахьа абаделлалц хан яхйира цуьнан.</verse>
				<verse number="6">Деза ду цуьнан сийлалла Ахь толам баккхийтарна. Ахь ларам а белла цунна, сийлахь хилар а делла.</verse>
				<verse number="7">Абаделлалц Хьайн декъалалла делла Ахь цунна. Хьо цуьнца хиларна, хазахетарца самукъадаьккхина Ахь цуьнан.</verse>
				<verse number="8">ХӀунда аьлча паччахь Везачу Элах тешна ву, Веза Воккхачун хедар боцучу безамах шеко а яц цуьнан.</verse>
				<verse number="9">Хьан куьйгана карор бу берриг Хьан мостагӀий, Хьан кара гӀур ма бу массо Хьо цавезарш.</verse>
				<verse number="10">Хьо оьгӀазвахча, йогучу пешах тарбийр бу Ахь уьш. Ша оьгӀазваханчохь Везачу Эло хӀаллакбийр бу уьш, цӀеро буур бу уьш.</verse>
				<verse number="11">Лаьттара церан тӀаьхье а хӀаллакйийр ю Ахьа, адамийн кӀенташна юкъара церан хӀу а дойур ду Ахьа.</verse>
				<verse number="12">ХӀунда аьлча цара Хьуна дуьхьал зулам а даьккхира, вон Ӏалашонаш а хӀиттийра, амма уьш кхочуш ца янъелира цаьрга.</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха цаьрга баккъаш берзабойтур бу Ахь. Хьайн секхаӀодаца пхерчий кхуьссур ду Ахьа царна тӀе.</verse>
				<verse number="14">Оха лакхавоккху Хьо, Веза Эла, Хьо нуьцкъала хиларна. Оха хастор ву Хьо иллешкахь Хьан сийлахь гӀуллакхаш бахьанехь.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="21">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «Сатасаран сай» олучу мукъамехь ала езаш ю хӀара Даудан назма.</verse>
				<verse number="2">Сан Дела! Ва сан Дела! Со хӀунда вити Ахьа? Ас чӀогӀа орца даьккхинехь а, сан кӀелхьарвалар генахь ду суна.</verse>
				<verse number="3">Дийнахь кхойкху со Хьоьга, сан Дела, Ахьа суна жоп-м ца ло. Буьйсанна а кхойкху со, амма сан синтем бац.</verse>
				<verse number="4">Ткъа Хьо Везаниг ву, Хьан Ӏарш Исраилан хастамаш тӀехь лаьтташ ю.</verse>
				<verse number="5">Хьох тешаш хилла тхан дай. Уьш, теша а тешна, Ахьа кӀелхьарбохура.</verse>
				<verse number="6">Хьоьга кхойкхура цара — уьш кӀелхьара а бовлура. Уьш Хьох тешара, цундела юьхьӀаьржачу а ца хӀуьттура.</verse>
				<verse number="7">Ткъа со-м, адам а доцуш, нӀаьна санна ву. Адамийн дог долу сох, халкъана дегаза хета со.</verse>
				<verse number="8">Со гуш болу берриш а кхаьрда сох. Цара, кортош а лестош, кхиссарш йо:</verse>
				<verse number="9">«Везачу Элах тешна ма вара иза — Цо иза кӀелхьарваккха веза-кх. Везачу Эло иза паргӀатвоккхийла, Ша цунна реза велахь».</verse>
				<verse number="10">Ткъа со ненан кийрара схьаваьккхина Ахьа. Сайн ненан некхера дуьйна со маьршавоккхура Ахьа.</verse>
				<verse number="11">Со дуьнен чу ваьллачу хенахь дуьйна Хьуна дӀавелла вара со. Сайн ненан кийрахь со хиллачу хенахь дуьйна Хьо Дела ву сан.</verse>
				<verse number="12">Суна гена ма валахь, хӀунда аьлча тӀебогӀу бала гергахь бу, ткъа гӀодийриг вац сан.</verse>
				<verse number="13">Алссам йолчу старгӀанаша го бина суна. Башанерачу стерчаша го лаьцна сан.</verse>
				<verse number="14">Ижунах а хьаьгна, гӀам-гӀим дечу лоьмо санна, суна тӀе шайн баганаш гӀаттийна цара.</verse>
				<verse number="15">Со, хи санна, Ӏана вахана. Ерриг а даьӀахкаш вовшахъевлла сан. Дог, балоз санна а хилла, кхерамна кийрахь дешна дӀадаьлла сан.</verse>
				<verse number="16">Сан ницкъ, шовда санна, лекъна, дегӀера дӀабаьлла, сан багара мотт а къамкъаргах дӀалетта. Со Ӏожаллин чене дӀавуьллу Ахь.</verse>
				<verse number="17">ЖӀаьлех тарбеллачу наха го бина суна, буьрсачу арданго го лаьцна сан. Цара цергаш чекхъяьхна сан куьйгех а, когех а.</verse>
				<verse number="18">Ерриге а даьӀахкаш ягаръялур ю сан. Нах, суна тӀе а хьоьжуш, боьлу сох.</verse>
				<verse number="19">Цара вовшашлахь йоькъу сан тӀеюху хӀуманаш, кхаж а тосу цара, сан коч хьанна кхочу хьожуш.</verse>
				<verse number="20">Ткъа Хьо, Веза Эла, генахь ма хилахьа суна. Хьоьгара бу сан ницкъ, гӀоьнна волахьа суна.</verse>
				<verse number="21">Туьрах кӀелхьардаккхахьа сан са, жӀаьлех а кӀелхьардаккхахьа сан дахар.</verse>
				<verse number="22">Лоьман бага вахарх кӀелхьарваккхахьа со, акхачу бугӀанан маӀех ларвехьа со. Ахь суна жоп ма делла!</verse>
				<verse number="23">Хьан цӀе сайн вежаршна кхайкхор ю аса. Динан гуламехь Хьуна хастам бийр бу аса.</verse>
				<verse number="24">Везачу Элах кхоьруш дерш! Хастамаш бе Цунна. Якъубан дерриг а хӀу! Сийде Цуьнан. Исраилан ерриг а тӀаьхье! Цунна хьалха ларамах юьзна хила.</verse>
				<verse number="25">ХӀунда аьлча декъазаниг Цунна дегаза а ца хетара, цуьнан баланех Везачу Элан дог а ца делира. Шен юьхь къайла а ца яьккхира Цо цунах, амма, иза Шега кхайкхича, дӀахезира Везачу Элана.</verse>
				<verse number="26">Боккхачу гуламехь Хьуна лерина хастамаш бо аса. Цунах кхоьруш болчарна хьалха сайн ваӀданаш кхочушдийр ду аса.</verse>
				<verse number="27">Къечара шаьш буззалц юур ю. Иза лоьхучара Везачу Элана хастамаш бийр бу. Шу абаденналц а дехийла!</verse>
				<verse number="28">Дуьненан массо а маьӀӀера адамаш, Иза къобал а вина, Везачу Элана тӀедоьрзур ду. Массо а къаьмнийн болчу доьзалша, охьа а таьӀна, Цунна Ӏибадат дийр ду.</verse>
				<verse number="29">ХӀунда аьлча Везачу Элан ду паччахьалла. Цо дерриге а къаьмнашна тӀехь олалла до.</verse>
				<verse number="30">Лаьттахь токхо а йолуш Ӏаш болчара, Цунна Ӏибадат а деш, сагӀа дуур ду. Коше а кхаьчна, чан хилларг а, дахар лардар шен карахь доцург а — массо а Цунна хьалха суждане гӀур ву.</verse>
				<verse number="31">Хинйолу тӀаьхье Цунна Ӏамал еш хир ю. Ткъа цара шайн берашка Везачу Элах лаьцна дуьйцур ду.</verse>
				<verse number="32">Схьа а баьхкина, Цо лелийначу нийсонах лаьцна дуьйцур ду, дуьнен чу девр долчу адамашна Цо кхочушдинчух лаьцна дуьйцур ду.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="22">
				<verse number="1">Даудан назма. Веза Эла сан Ӏу ву. Суна мел оьшуш дерг хир ду сан.</verse>
				<verse number="2">Цо сийначу бай тӀехь дӀа а вижаво, тийначу хи тӀе а вуьгу со.</verse>
				<verse number="3">Сан синна ницкъ а луш, Шен цӀеран дуьхьа со нийсачу новкъа воккху Цо.</verse>
				<verse number="4">Ӏожаллин ӀиндагӀ долчу тогӀи чухула со дӀагӀахь а, вонах кхоьрур вац со, хӀунда аьлча Хьо соьца ву. Хьан некъан Ӏасано синтем ло суна.</verse>
				<verse number="5">Сан мостагӀашна а гуш, суна хьалха кхача биллина Ахь. Сан коьртах даьтта хьаькхна Ахь. Сан кад а тӀех буьзна бу.</verse>
				<verse number="6">Дикалла а, безам а хуьлийла соьца сан дахаран дерриг а деношкахь, тӀаккха Везачу Элан цӀа чохь сайн тӀейогӀу хан чекхйоккхур ю ас.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="23">
				<verse number="1">Даудан назма. Латта а, цу тӀехь дерг а Везачу Элан ду. Цуьнан ду дуьне а, цу чохь дехаш дерг дерриге а.</verse>
				<verse number="2">ХӀордашна тӀехь дуьне ДӀахӀоттийнарг а, хишна тӀехь иза ЧӀагӀдинарг а Веза Эла ву.</verse>
				<verse number="3">Мила вер ву Везачу Элан лам тӀе, я мила дӀахӀуттур ву Цуьнан дезачу цӀа чохь?</verse>
				<verse number="4">Шегара зулам цадолуьйтург, дог цӀена дерг, шен са зуламехьа цахьажориг, Делан цӀарах харц дуйнаш ца бууш верг вер ву.</verse>
				<verse number="5">Везачу Эло декъалвийр ву иза. Иза кӀелхьарвоккхучу Дала бехказло ю цунна.</verse>
				<verse number="6">Якъубан Дела, Хьоьгара гӀо оьшучеран, Хьо лоьхучеран тайпа иштта ду!</verse>
				<verse number="7">Кевнаш, шайн лакхенаш хьалаайа, шира неӀарш, дӀаеллало, сийлаллин Паччахь тӀаккха чувогӀур ву!</verse>
				<verse number="8">Мила ву сийлаллин Паччахь? Иза онда а, чӀогӀа а волу, тӀамехь нуьцкъала волу Веза Эла ву.</verse>
				<verse number="9">Кевнаш, шайн лакхенаш хьалаайа, шира неӀарш, дӀаеллало, сийлаллин Паччахь тӀаккха чувогӀур ву!</verse>
				<verse number="10">Мила ву сийлаллин Паччахь? Массо а ницкъийн Веза Эла, Иза сийлаллин Паччахь ву.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="24">
				<verse number="1">Даудан назма. А са Хьоьга хьалакхийдадо сайн са, Веза Эла.</verse>
				<verse number="2">Б илггала Хьох тешна ву со, сан Дела! Со юьхьӀаьржачу ма хӀоттийтахьа. Сох мостагӀий ма кхардийтахьа.</verse>
				<verse number="3">Б ерриш а Хьоьга хьоьжурш юьхьӀаьржачу хӀуьттур бац, ткъа бахьана доцуш ямартло йийраш юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу.</verse>
				<verse number="4">Г айтахьа суна, Веза Эла, Хьайн некъаш, Хьайн лаамаш а бовзийтахьа суна.</verse>
				<verse number="5">Д е дийне мел дели, Хьоьга хьоьжуш ву со. Хьайн билггал бакъдолчунна тӀе а верзавехьа со, Ӏама а вехьа со, хӀунда аьлча со кӀелхьарвоккху Дела Хьо ву.</verse>
				<verse number="6">Е рриг а заманашкахь дуьйна болу Хьайн къинхетам а, хедар боцу безам а дагабаийтахьа, ва Веза Эла.</verse>
				<verse number="7">З уламаш сан Хьайна дага ма даийтахьа. Къоналлин къиношна гечдехьа сан. Хьайн хедар боцучу безаме хьаьжжина, со дагаваийтахьа, Веза Эла, Хьо дика волу дела.</verse>
				<verse number="8">И сбаьхьа дика а, нийса а Веза Эла хиларна, бан беза некъ гойту Цо къинош летийначарна.</verse>
				<verse number="9">К Ӏезиг шаьш хетарш нийсонна тӀе Цо берзабо, Шен некъа тӀехь лела уьш Цо Ӏамабо.</verse>
				<verse number="10">Л еррина Цуьнан барт а, бакъонаш а ларъеш болчарна Везачу Элан дерриг а некъаш безаме а, тешаме а ду.</verse>
				<verse number="11">М ел дукха къинош латийна ас, Веза Эла, Хьайн цӀеран дуьхьа суна гечдехьа.</verse>
				<verse number="12">Н агахь санна стаг Везачу Элах кхоьруш велахь, адамо харжа беза некъ гойтур бу Цо.</verse>
				<verse number="13">О цу стага диканца шен хан а йоккхур ю, цуьнан тӀаьхьенна латта а кхочур ду.</verse>
				<verse number="14">П аргӀат юкъаметтиг ю Везачу Элан Шега ларамах буьзначаьрца, Шен барт а Цо царна бовзуьйту.</verse>
				<verse number="15">Р ечӀанна чуьра сан когаш Цо схьабахарна, сан бӀаьргаш даим а Везачу Элехьа бирзина бу.</verse>
				<verse number="16">С оьга схьа а хьажахьа, сох къинхетам а бехьа, хӀунда аьлча со цхьа а ву, гӀело хьоьгуш а ву.</verse>
				<verse number="17">Т Ӏех алсамъевлла сан деган гӀайгӀанаш, сан баланех со хьалхаваккхахьа.</verse>
				<verse number="18">У зарш а деш, со гӀайгӀанехь хиларан а, со гӀелваларан а тидам бехьа, сан дерриге а къиношна гечдехьа.</verse>
				<verse number="19">Х ьажахьа сан мостагӀашка, мел дукха бу уьш. Мел къизачу цабезамца соьга хьоьжу уьш.</verse>
				<verse number="20">Ч ӀагӀо а хилий, кӀелхьарваккхахьа со. Хьох тешна Ӏаш волу дела, юьхьӀаьржачу ма хӀуттийла со.</verse>
				<verse number="21">Ш еко а йоцуш, Хьоьга ладоьгӀуш волу дела, цӀена леларо а, нийсоно а ларвойла со.</verse>
				<verse number="22">Ӏ ийжам беш йолчу цуьнан ерриге гӀайгӀанех, Дела, паргӀатдаккхахьа Исраилан халкъ.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="25">
				<verse number="1">Даудан назма. Веза Эла, бехказаваккхахьа, цӀеначу новкъахула леларна, со. Цкъа а гал ца волуш, Хьох тешна лелаш ма вара со.</verse>
				<verse number="2">Веза Эла, сох доллург талла а таллахьа, зен а зехьа. Сан кийрахь а, даг чохь а долчуьнга хьажахьа.</verse>
				<verse number="3">Хьан безам сан бӀаьргашна хьалха ма бу, Хьан билггал бакъдолчуьнца со лелаш ма ву.</verse>
				<verse number="4">Мекарчу адамашца со ца Ӏа, шалхонаш йолчарах со дӀа ца кхета.</verse>
				<verse number="5">Зуламхойн гулам суна ца беза, Ӏесачарна юкъахь со охьа ца хоу.</verse>
				<verse number="6">Куьйгаш а дуьлуш, сайн бехк цахилар дӀагойту аса, цундела кхечаьрца цхьаьна со а ву Хьуна Ӏибадат дечу меттигна го боккхуш,</verse>
				<verse number="7">сайн озаца Хьуна хастамаш бархьама а, Хьан дерриге а инзаречу гӀуллакхех лаьцна дийцархьама а.</verse>
				<verse number="8">Веза Эла! Деза суна Хьо Ӏаш волу цӀа а, Хьан сийлалла шена чохь йолу меттиг а.</verse>
				<verse number="9">Сан са хӀаллак ма дехьа къинош летош болчаьрца, сан дахар а хӀаллак ма дехьа цӀий Ӏанор дезачаьрца.</verse>
				<verse number="10">Церан карахь ду зуламаш дар, церан аьтту куьг дуьзна ду кхаьънаш схьаэцарх.</verse>
				<verse number="11">Ткъа со-м сайн цӀеначу новкъахь ву. КӀелхьара а ваккхахьа со, къинхетам а бехьа сох.</verse>
				<verse number="12">Сан ког бу лаьтташ шерачу меттехь. Веза Эла декъалво аса динан гуламашкахь.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="26">
				<verse number="1">Даудан назма. Веза Эла — сан серло а ю, сан кӀелхьарвалар а ду. Со хьанах кхоьрур ву? Веза Эла — сан дахаран дӀалечкъийла ю. Со хьан Ӏадор ву?</verse>
				<verse number="2">Нагахь санна зуламе берш суна тӀегӀортахь, со дӀакхаллархьама, сан мостагӀий тӀелатахь, уьш, ког таса а белла, шаьш охьаоьгур бу.</verse>
				<verse number="3">Нагахь тӀеман тоба суна дуьхьалъялахь а, сан дог кхералур дац. Суна тӀамца тӀегӀортахь а, хӀетте а сан сатийсам хир бу.</verse>
				<verse number="4">Везачу Эле цхьа хӀума доьхура аса, изза бен ца лоьху аса. Иза ду, со вехаш мел ву, Везачу Элан цӀа чохь со Ӏен лаар, Цуьнан хазалле хьежархьама а, Цуьнан цӀа чохь Цунах дагавалархьама а.</verse>
				<verse number="5">Со холчу хӀоьттинчу дийнахь Цо Шен четар кӀел дӀахьулвийр ма ву со. Ша Ӏачу метте дӀалачкъор ма ву со, Цо тарха тӀе а воккхур ма ву со.</verse>
				<verse number="6">ТӀаккха сан корта суна го бинчу мостагӀашна тӀехь хьалаайабелла хир бу. Иза Ӏаш волчу меттехь аса, аз а айдеш, массо а тайпана сагӀанаш дохур ду, Везачу Элана хьалха аса иллеш а, хастаме назманаш а эр ду.</verse>
				<verse number="7">Веза Эла, Хьоьга дӀакхойкхуш долу сан аз дӀа а хазахь, сох къинхетам а бехьа, суна жоп а лохьа.</verse>
				<verse number="8">Сан даго Хьоьгара схьааьлла, Хьо леррина леха. Цундела Хьо лоьхур ву аса, Веза Эла.</verse>
				<verse number="9">Хьайн юьхь сох къайла ма яккхахьа. Хьо оьгӀазвахханчохь Хьайн лай дӀа ма таттахьа. Хьо сан гӀоьнча вара. ДӀа а ма таттахьа, дӀа а ма тасахьа со, ва сан Дела, сан КӀелхьарвоккхург!</verse>
				<verse number="10">Сан дас а, сан нанас а со витича а, Везачу Эло со тӀеоьцур вара.</verse>
				<verse number="11">Веза Эла, Хьайн новкъахула лела Ӏамавехьа со. Нийсачу некъа тӀе ваккхахьа со, сан мостагӀий сан тергам беш хиларна.</verse>
				<verse number="12">Сан мостагӀийн лаамийн кара дӀа ма лохьа со, хӀунда аьлча суна дуьхьал гӀевттина харцтоьшаллаш дийраш, къизаллица са а доьӀуш.</verse>
				<verse number="13">Со тешна Ӏаш дерг хӀара ду: со дийна а волуш гур ду суна Везачу Эло мел до дика.</verse>
				<verse number="14">Везачу Эле сатийса. Доьналла долуш а хила, хьайн дог а чӀагӀде. Везачу Эле сатийса.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="27">
				<verse number="1">Даудан назма. Хьоьга кхойкху ас, Веза Эла, сан Тарх! Суна жоп ца луш ма хилалахь. Хьо вист ца хилча, эхарте кхаьчначех тарлур ву со.</verse>
				<verse number="2">Сан доӀанаш дӀахазалахь ас Хьайга орца дохучу хенахь, Хьан дезачу цӀийне ас куьйгаш ойучу хенахь.</verse>
				<verse number="3">Шайна уллорачаьрга диканиг а дуьйцуш, ткъа дагахь вониг долчу а, зуламе гӀуллакхаш дечу а, Ӏесачу а нахаца хӀаллак ма вехьа со.</verse>
				<verse number="4">Церан гӀуллакхашка а, цаьргара даьллачу вочуьнга а хьажжий, кхел ехьа царна. Церан куьйгийн балхе хьажжий, ял лохьа царна, хьакъ дерриг юхалохьа царна.</verse>
				<verse number="5">Везачу Эло диначунна а, Цуьнан куьйго кхоьллинчунна а, цара тидам тӀе ца бахийтарна, Цо хӀаллакбийр бу уьш, юха метта а ца хӀиттош.</verse>
				<verse number="6">Хастам бу Везачу Элана, Цунна сан доӀанаш хезна.</verse>
				<verse number="7">Веза Эла сан чӀагӀо ю, со ларвеш долу турс ду Иза. Цунах тешна дара сан дог, тӀаккха Цо гӀо дира суна. Сан дог доккхадеш ду, сайн иллешца ас хаставо Иза.</verse>
				<verse number="8">Веза Эла Шен халкъан гӀап а ю, Ша къобалвинчун кӀелхьарваккхаран чӀагӀо а ю.</verse>
				<verse number="9">Хьайн халкъ кӀелхьара а даккха, Хьайн тӀаьхье декъал а е. Церан Ӏу хилахьа, уьш даим Ӏалаш а беш.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="28">
				<verse number="1">Даудан назма. Стигалан гуламехь берш, Везачу Элана хастамаш бейша! Везачу Элан сийлалла а, ницкъ а кхайкхадейша!</verse>
				<verse number="2">Везачу Элан цӀеран сийлаллина лерина кхайкхамаш бейша! Везачу Эло Шен возалла гойтучу хенахь Цунна суждане гӀойша.</verse>
				<verse number="3">Везачу Элан аз ду хезаш хиш тӀехула. Стигал къекъош ву сийлахь волу Дела. Везачу Элан аз ду хезаш хӀордаш тӀехула.</verse>
				<verse number="4">Нуьцкъала а ду Везачу Элан аз, сийлахь а ду Везачу Элан аз.</verse>
				<verse number="5">Баганан дитташ охьадохку Везачу Элан озо. Ливанунера долу баганан дитташ охьадохку Везачу Эло.</verse>
				<verse number="6">Цо Ливанун-мохк, эса санна, кхийсаболуьйту, Хьермон-лам, акха бугӀа санна, ирхлоьлхуьйту.</verse>
				<verse number="7">Стелахаьштиг схьатуьйсу Везачу Элан озо.</verse>
				<verse number="8">Яьсса аре а егайо Везачу Элан озо. Кхадеш цӀе йолу яьсса аре а егайо Везачу Эло.</verse>
				<verse number="9">Сешка кӀорнеш а йохуьйту, масарш оста а довлуьйту Везачу Элан озо. Везачу Элан цӀийнан кертахь массара а Цуьнан сийлаллех лаьцна дуьйцу.</verse>
				<verse number="10">ТӀедевллачу хишна тӀехь а олалла динера Везачу Эло. Абаденналц а паччахьан олалла дийр ду Везачу Эло.</verse>
				<verse number="11">Шен халкъана ницкъ лур бу Везачу Эло. Шен халкъ, синтем а луш, декъалдийр ду Везачу Эло.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="29">
				<verse number="1">Делан цӀа даздан олу Даудан назма.</verse>
				<verse number="2">Веза Эла, ас хастам бо Хьуна. Ахь кӀелхьарваьккхи со, сан мостагӀий сох ца белийти.</verse>
				<verse number="3">Сан Веза Дела! Ас гӀо дийхира Хьоьга, Ахь суна дарба дира.</verse>
				<verse number="4">Эхартара сан са ара а даьккхина, со денвира Ахь, Веза Эла, коша чу со ца вижийтира.</verse>
				<verse number="5">Хастам бе Везачу Элана, Цунна тешаме болу нах. Иза веза хилар дагадоуьйтуш, хаставе аша Иза,</verse>
				<verse number="6">хӀунда аьлча кӀеззигчу ханна ду Цуьнан оьгӀазвахар, дерриг а дахарна ду Цуьнан дика. Суьйранна белхар дӀахӀоттахь а, Ӏуьйранна самукъадалар хуьлу.</verse>
				<verse number="7">Со синтеме волуш ас бехира: «Цхьана а хӀумано меттахвоккхур вац со».</verse>
				<verse number="8">Хьайн диканца, Веза Эла, Ахь чӀагӀбира сан лам. Амма Ахь Хьайн юьхь къайлаяьккхича, со вуьйхира.</verse>
				<verse number="9">ТӀаккха, Веза Эла, Хьоьга кхайкхира со. Хьалдолчу Эле ас дийхира:</verse>
				<verse number="10">«ХӀун пайда бу сох, со хӀаллаквича? Хьуна хӀун лур ду, со коша чу вижча? Сан докъо хастам бийр буй те Хьуна? Сох йисинчу чено Хьан бакъдерг кхайкхор дуй те?</verse>
				<verse number="11">Веза Эла, со дӀа а хазий, къинхетам бехьа сох! Веза Эла! Хилахьа сан гӀоьнча».</verse>
				<verse number="12">Ахь сан белхаран метта, суна хелхар дели, сингаттаман духарш дӀа а эцна, самукъадаларан духарш суна тӀедуьйхи.</verse>
				<verse number="13">Сан сино, ца соцуш, хеставойла Хьо. Сан Веза Дела, ас хестор ву Хьо гуттара а.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="30">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.</verse>
				<verse number="2">Веза Эла! Хьоьга ларвойту аса со. Цкъа а юьхьӀаьржачу ма хӀоттийтахьа со. Хьайн нийсонца со паргӀатваккхахьа.</verse>
				<verse number="3">Хьайн лерг суна тӀедерзадехьа, со кӀелхьарваккха сихлохьа. Тарх санна хилахьа, со ларвархьама, чӀогӀа гӀап санна хилахьа суна, со кӀелхьарваккхархьама.</verse>
				<verse number="4">Суна чхар санна Хьо хиларна, суна гӀап санна Хьо хиларна, Хьайн цӀеран дуьхьа со лела а вехьа, суна тӀехь урхалла а дехьа.</verse>
				<verse number="5">Къайлаха дӀахӀоттийначу гура чуьра со схьаваккхахьа, хӀунда аьлча Хьо ю сан чӀагӀо.</verse>
				<verse number="6">Хьан кара дӀало аса сайн са. Веза Эла, тешаме Дела, Ахьа кӀелхьарвоккхур ву со.</verse>
				<verse number="7">ХӀумма а боцучу цӀуйн сийдийраш бӀаьрга бан а ца беза суна, ткъа со Везачу Элах тешна Ӏаш ву.</verse>
				<verse number="8">Хьан хедар боцу безам бахьанехь хазахеташший, самукъадаьллий хир ву со. ХӀунда аьлча ас хьоьгу Ӏазап Хьуна гира, сан синан бала Хьуна дӀахиира.</verse>
				<verse number="9">МостагӀчун кара дӀа ца велира со Ахьа. Сан когаш паргӀатчу меттехь дӀахӀиттий Ахь.</verse>
				<verse number="10">Веза Эла, сох къинхетам бехьа, хӀунда аьлча ву-кх со готтехь. Сингаттаме со хиларна, худабелла сан бӀаьргаш а, сан са а, сан кийра а.</verse>
				<verse number="11">Сингаттамо дахар а гӀелдина сан, шераш а узарш деш дӀадовлу сан. Аса къинош леторна, сан ницкъ а дӀабаьлла, сан даьӀахкаш а малъелла.</verse>
				<verse number="12">Сан мостагӀий бахьанехь ур-атталла сан лулахоша а тӀехдетта суна, со вевзаш берш а дӀакъехка сох. Урамехь со гинарш а дӀабовду сох.</verse>
				<verse number="13">Велларг санна, нехан дегнаша вицвина со. Йоьхна пхьегӀа санна ву со.</verse>
				<verse number="14">Дуккханнийн а харцлер хеза суна. Массо а агӀор къемат тӀегӀерта, суна дуьхьал барт а бина, сан са даккха дагахь цара ойланаш йича.</verse>
				<verse number="15">Ткъа со Хьох теша, Веза Эла. Аса олу: «Хьо ву сан Дела».</verse>
				<verse number="16">Хьан карахь ду сан дахаран денош. Сан мостагӀийн карара а, суна тӀаьхьабевллачех а со кӀелхьарваккхахьа.</verse>
				<verse number="17">Хьан лай волчу суна тӀе Хьайн юьхь тӀера серло лепийтахьа. Хьайн хедар боцучу безамца со кӀелхьарваккхахьа.</verse>
				<verse number="18">Веза Эла! Хьоьга кхайкхарна со юьхьӀаьржачу ма хӀуттийла. Ткъа Ӏесанаш, юьхьӀаьржачу а хӀиттина, эхартахь тийна дӀасовцийла.</verse>
				<verse number="19">Тхьузйоьлла юьсийла харцлоь баганаш, Делан лаамехь лелачарна дуьхьал кураллица а, дозаллица а вониг дуьйцуш йолу.</verse>
				<verse number="20">Мел дукха ду-кх Хьоьгара долу дика, Хьоьга ларамах буьзначарна дала Ахьа кечдина долу. Хьоьга шаьш лардойтуш долчу массо а адамашна хьалха дӀало Ахь иза!</verse>
				<verse number="21">Адамийн питанех Хьайн юьхьца къайлабоху Ахь уьш. Дуьхьал лоьчу меттанех Хьайн ӀиндагӀехь къайлабоху Ахь уьш.</verse>
				<verse number="22">Декъала ву Веза Эла, го бинчу гӀалахь со волуш, суна Ша тешаме хилар Ӏаламат кепара гайтина волу!</verse>
				<verse number="23">Со дог доьхна волуш, суна хийтира, Хьайн бӀаьргашна дуьхьалара Ахь со дӀаваьккхина аьлла. Амма Хьуна дӀахезира сан доӀанан аз, Хьайга со дӀакхайкхича.</verse>
				<verse number="24">Веза Эла везаш хилалаш, Цуьнан долахь мел дерш. Тешаме берш Везачу Эло ларбо, ткъа дозаллаш дечарна шайн хьакъ дӀало.</verse>
				<verse number="25">Доьналла долуш хилалаш! Шун дегнаш чӀагӀлойла, Везачу Эле сатуьйсучу шун массеран а дегнаш чӀагӀлойла!</verse>
			</chapter>
			<chapter number="31">
				<verse number="1">Даудан хьехаме назма. Декъала ву Везачу Эло цуьнан къинош цкъа а цунна дуьхьал ца лоруш волу стаг!</verse>
				<verse number="2">Декъала ву Везачу Эло бехке веш воцу а, шен синца мекарло йоцу а стаг!</verse>
				<verse number="3">Айса къа латадар дӀа а ца дуьйцуш, Хьоьга вист а ца хуьлуш, со Ӏачу хенахь, хӀора денна ас узарш дарна, малъелла дӀаяьллера сан даьӀахкаш.</verse>
				<verse number="4">ХӀунда аьлча дийнаххьий, буьйсанний Хьан куьг суна тӀехь дазделла лаьттара. Аьхкенан йокъа хӀоьттинчу хенахь санна, бос а байна сан.</verse>
				<verse number="5">Амма айса латийначу къинна къера а хилира со, сайн бакъонца цалелар хьул а ца дира аса Хьох. Ас элира: «Везачу Эле сайн къинош дӀадоьллур ду ас». ТӀаккха Ахь дӀабаьккхира суна тӀера сан къинан бехк.</verse>
				<verse number="6">ХӀора Делан лаамехь волчо доӀа дойла Хьоьга, ша нийса вац аьлла хетачу хенахь, даккхий хиш дистина догӀучу хенахь, цунна тӀе уьш кхочур дац.</verse>
				<verse number="7">Хьо волчохь ю сан дӀалочкъийла, Ахь ларво со халонех, кӀелхьарваларан хазахетар а ло Ахь суна.</verse>
				<verse number="8">Ас хьо кхетор а ву, хьо ваха везачу новкъа а воккхур ву. Ас куьйгалла а дийр ду хьуна тӀехь, Сан бӀаьрг а бу хьуна тӀехь.</verse>
				<verse number="9">Ма хилийша дин санна, я кхеташ йоцу вирбӀарза санна, шаьш бохург цаьрга дайтархьама, церан мочхалш тӀе дуьрстанаш а, гаьллаш а йоьхкина, сецо езаш йолу.</verse>
				<verse number="10">Дог цӀена доцучу стеган дукха баланаш бу, ткъа Везачу Элах тешна Ӏаш волчунна Цуьнан хедар боцу безам хуьлу.</verse>
				<verse number="11">Везачу Эло шайна динарг бахьанехь, самукъане хилалаш, Делан лаамехь дерш, даккхийделаш, дог цӀена дерш.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="32">
				<verse number="1">	 Делан лаамехь дерш, шайн Везачу Эло диначунна даккхийделаш. Шаьш бакъ болчаьргахь хастамаш бар товш ду.</verse>
				<verse number="2">Хастам бе Везачу Элана, дечиг-пондар локхуш, ала Цунна иллеш итт мерз болу пондарца.</verse>
				<verse number="3">Ала Цунна керла илли: говза лакха Цунна, воккхаверан аз айдеш.</verse>
				<verse number="4">ХӀунда аьлча Везачу Элан дош билггал бакъ ду, Ша мел дечу гӀуллакхаш тӀехь тешаме ву Иза.</verse>
				<verse number="5">Цунна бакъдерг а, нийсо а еза. Везачу Элан хедар боцу безамах дуьзна ду латта.</verse>
				<verse number="6">Везачу Элан дашца кхоллаелла стигалш, Цо Шен Синан Ӏаь тохарца кхоьллина стигалара массо а ницкъаш а.</verse>
				<verse number="7">ХӀордан хиш Цо, оьланаш санна, гулдина, кӀорга хиш Цо шен-шен меттигашкахь сацийна.</verse>
				<verse number="8">Дерриге а латта а кхоьрийла Везачу Элах, инзардовлийла Цунна хьалх дуьнен чохь мел дехарш.</verse>
				<verse number="9">ХӀунда аьлча Цо элира — иза хилира, Цо омра дира — иза дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="10">Везачу Эло бохабо хийрачу мехкашкара къаьмнийн лаамаш, хӀаллакйо халкъийн Ӏалашонаш.</verse>
				<verse number="11">Ткъа Везачу Элан Ӏалашо абаделлалц лаьтта, Цуьнан дагахь дерг тӀаьхьенера тӀаьхьене кхочу.</verse>
				<verse number="12">Декъала ду Веза Эла шен Дела волу халкъ. Цо, Шен дола а даьккхина, къастийна тукхам ду иза.</verse>
				<verse number="13">Веза Эла стигалшкара охьахьоьжу, массо а адамийн кӀентий го Цунна.</verse>
				<verse number="14">Ша охьахиъна Ӏаш волчу сийлаллин гӀанта тӀера лаьттахь дехаш долчу массо а адамашка охьахьоьжуш ву Иза.</verse>
				<verse number="15">Везачу Эло кхоьллина церан массеран а дегнаш, церан мел долчу гӀуллакхийн духе а кхуьу Иза.</verse>
				<verse number="16">Шен эскар доккха хиларх паччахьо а толам ца боккху. Шен боккха ницкъ хиларх тӀемало а кӀелхьара ца волу.</verse>
				<verse number="17">Дин а бац тешаме стаг кӀелхьарваккха, шен боккхачу ницкъаца а кӀелхьарвоккхур вац цо иза.</verse>
				<verse number="18">Веза Эла хьоьжуш ву Шех кхоьручаьрга а, Шегара болчу хедар боцучу безаме ладоьгӀучаьрга а.</verse>
				<verse number="19">Цо уьш Ӏожаллех а кӀелхьарбоху, кхача а ло царна мацалла хӀоьттинчу хенахь.</verse>
				<verse number="20">Вай Везачу Элах тешна ду. Иза вайн гӀоьнча а, вай лардо турс а ду.</verse>
				<verse number="21">Везачу Элана самукъадаьлла ду вайн дегнаш, Цуьнан сийлаллин цӀарах тешна вай деха дела.</verse>
				<verse number="22">Веза Эла, Хьан хедар боцу безам хуьлийла тхуна тӀехь тхо Хьох тешна Ӏаш долчу хенахь.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="33">
				<verse number="1">А бу-Маликана хьалха, ша хьераваьлла моттуьйтуш, Дауда аьлла йолу назма. Дауда иза динера, ша Абу-Малике дӀаэккхавайтархьама. Иштта, Абу-Малика эккха а вина, Дауд дӀавахара.</verse>
				<verse number="2">В еза Эла декъалво ас муьлххачу а хенахь. Цунна хастам а бу сан багахь массо а хенахь.</verse>
				<verse number="3">Г Ӏийла дерш, дӀа а хазий, самукъадаьлла хилалаш, Везачу Эло динчунна воккхавеш ма ву со.</verse>
				<verse number="4">Д екъал а веш Веза Эла, вазвелаш И соьца. Язъе вай массара а Цуьнан еза цӀе хӀинца.</verse>
				<verse number="5">Е рриг а хан йоккхура ас, Везачу Эле кхойкхуш. Цунна дӀа а ма хезира ас деш долу доӀанаш. Сан мел болчу кхерамех со кӀелхьарваьккхи Цо.</verse>
				<verse number="6">З овкх ду Цунна тӀебирзинчаьргахь, уьш серлабуьйлу. Церан яххьаш цкъа а хир яц юьхьӀаьржонах юьзна.</verse>
				<verse number="7">И штта мискачо дехнарг а Везачу Элана дӀахеза. Цуьнан массо а баланех Цо и кӀелхьарвоккху.</verse>
				<verse number="8">К Ӏелхьарбоху Везачу Элан Малико Цунах кхоьруш бехарш. Царна гонах а хьийзаш, Цо уьш лар а бо.</verse>
				<verse number="9">Л еррина шу хьаьвсича, Везачу Элан диканан чам кхетар бу шуна! Ма декъала а ву-кх Цунах тешна Ӏаш волу стаг!</verse>
				<verse number="10">М а кхоьруш лела деза шу Везачу Элах, Цуьнан долахь долу адамаш, хӀунда аьлча Цунах кхоьруш вехачун массо а хӀуманан тоам хир бу.</verse>
				<verse number="11">Н аггахь ур-атталла лоьман кӀорнеш а, яа хӀума йоцуш, мацаллехь хуьлу, ткъа Веза Эла лоьхург, Цуьнан диканах тоам боцуш вуьсур вац.</verse>
				<verse number="12">О йла а еш, бераш, соьга хӀинца ладогӀа. Везачу Элах кхоьруш хила аса шуна хьоьхур ду.</verse>
				<verse number="13">П аргӀат долу дахар дезий шуна? Дукха даха лаьий шуна Делан дика гархьама?</verse>
				<verse number="14">Р еза боцу мотт зуламна аша бехкалаш. Ткъа мекара долу дешнаш шайн багара ма довлийта.</verse>
				<verse number="15">С ацалолаш зулам дарх шу, ткъа цуьнан метта диканиг де! Цу гӀуллакхна къа а хьоьгуш, машар аша лехалаш.</verse>
				<verse number="16">Т къа Хьан бӀаьргаш, Веза Эла, Хьан лаамехь болчаьргахьа боьрзу. Хьан лергаш а, Веза Дела, церан тийжамашкахьа доьрзу.</verse>
				<verse number="17">У ллора дӀа ма волу Веза Эла зуламаш дечарна, Лаьттара царах лаьцна долу массо а хӀума дӀадайархьама.</verse>
				<verse number="18">Х еза Везачу Элана, Шен лаамехь болчара кхайкхича. Церан берриге а баланех Цо уьш кӀелхьарбоху.</verse>
				<verse number="19">Ц о Ша дог доьхначарна уллохь гойту. Дог диллина Ӏаш берш а Везачу Эло кӀелхьарбоху.</verse>
				<verse number="20">Ч ӀогӀа дукха баланаш хила тарло Делан лаамехь волчун а, амма массо а халонех Везачу Эло иза кӀелхьарвоккхур ву.</verse>
				<verse number="21">Ш аерриш а цуьнан даьӀахкаш Везачу Эло ларъеш ю. Царах цхьа а Цо кагйийр яц.</verse>
				<verse number="22">Э ххар а къалатийнарг шен зуламо вийна дӀавоккхур ву. Делан лаамехь берш цабезнарш, хӀаллакьхилла, дӀабевр бу.</verse>
				<verse number="23">Ӏ азапера Везачу Эло мехах паргӀатвоккху Шен ялхо. Шех тешна Ӏаш берш Цо бехке ца бо.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="34">
				<verse number="1">Даудан назма. Веза Эла, валахьа дуьхьал соьца къовсаме бевллачарна. Эшам бехьа, Веза Эла, суна дуьхьалбевллачарна.</verse>
				<verse number="2">Кара турс а эций, тӀе гӀагӀ а духий, волахьа Хьо суна гӀо дан.</verse>
				<verse number="3">ГӀоьмукъ хьала а айий, совцабехьа и сан мостагӀий. Алахьа Ахь сан сине: «Со ву хьо кӀелхьардоккхург».</verse>
				<verse number="4">Сан синна тӀаьхьабевллачарна эхь а хетийла, со вен лоьхурш, юьхьӀаьржачу а хӀиттина, юха а боьрзийла.</verse>
				<verse number="5">Мохо дӀасатесна чан санна, хуьлийла уьш. Везачу Элан Малико дӀа а лохкийла уьш.</verse>
				<verse number="6">Боданехь а, ког шершаш а церан некъ а хуьлийла. Царна тӀаьхьа Везачу Элан Малик а долийла.</verse>
				<verse number="7">Бахьана а доцуш, ког лоцу бой къайлаха тесира суна цара. Цхьа а бахьана а доцуш, ор а даьккхира цара суна.</verse>
				<verse number="8">ЦӀеххьана хӀаллакьхилар нислойла хӀинца царна шайна. Къайлаха когаш кӀел тесначу бойно лоцийла уьш шаьш. Шаьш, цу ор чу а эгна, хӀаллакьхуьлийла уьш.</verse>
				<verse number="9">Ткъа сан дог-м Веза Эла бахьанехь доккхадеш хир ду, Цуьнгара долчу кӀелхьарваларх самукъадаьлла и хир ду.</verse>
				<verse number="10">Аса даггара эр ду: «Мила ву, Веза Эла, Хьох тера?» Хьо ма ву гӀийланиг ницкъболчух ларвийриг, къениг а, мисканиг а талорхойх ларвийриг.</verse>
				<verse number="11">Бовлу-кха суна дуьхьал харц болу тешаш. Барт хоьтту цара соьга хаъане а ца хуучух.</verse>
				<verse number="12">Ас динчу диканна вон до суна цара. Сан са а ма дуьту дӀатесна цара.</verse>
				<verse number="13">Уьш цомгуш хилча, ас-м таьӀна бедарш юхура. Сайн са а малдора ас марханаш кхабарца. Ас дина доӀанаш жоп доцуш дисича,</verse>
				<verse number="14">доттагӀа я ваша и волуш санна, гӀайгӀане хуьлура со. Сайн ненан тезетахь санна, корта а оллийна, халахетта хуьлура со.</verse>
				<verse number="15">Нагахь со галваьлча, хазахеташ, уьш гуллора. Суна хӀума олуш берш цхьаьна ма кхетара. Стенна ду а ца хууш, саццаза цара со сийсазвора.</verse>
				<verse number="16">АстагӀчух буьйлурш санна, соьга болчу шайн цабезамна цергаш цара хьекхайора.</verse>
				<verse number="17">Хьалдолу Эла! Кхин дукха Ӏийр вуй те Хьо сох хуьлучуьнга хьежар бен доцуш? Ахь кӀелхьарваккхахьа со церан зуламечу ойланех, лардехьа сан цхьаъ бен доцу дахар цу буьрсачу лоьмех!</verse>
				<verse number="18">Боккхачу гуламехь ас Хьан сийлалла ойур ю. Алссам долчу халкъана юкъахь ас Хьуна хастамаш бийр бу.</verse>
				<verse number="19">Харц бахьанашца сан мостагӀий баккхий ма бейтахьа. Бахьана а доцуш, со ца везачаьрга вовшашка бӀаьргаш ма теӀабайтахьа.</verse>
				<verse number="20">ХӀунда аьлча маьрша къамелаш ца до цара, ткъа машар безачу нахана уьш мекарчу дешнашца лоь.</verse>
				<verse number="21">Суна дуьхьал шайн баганаш а гӀиттош, цара олу: «ХӀаъ! Тхуна тхаьшна а гина ахь динарг!»</verse>
				<verse number="22">Хьуна Хьайна а го-кх и дерриг, сан Веза Эла! Хьалдолу Эла! Ма валахьа Хьо суна гена!</verse>
				<verse number="23">Сама а валий, суна гӀоьнна дӀахӀоттахьа. Сан Дела, сан Хьалдолу Эла, суна дуьхьалбевллачарна хьалх бехказаваккхахьа со.</verse>
				<verse number="24">Хьайн бакъ кхел ехьа Ахь суна тӀехь, сан Веза Дела! Сох кхарда ма кхардийтахьа уьш.</verse>
				<verse number="25">Ма хуьлийла-кх, Дела, там церан дегнашна: «ХӀара дара-кх оха лоьххург», — аьлла. Ма олийла-кх цара: «ХӀара-м оха дӀакхаьллира».</verse>
				<verse number="26">Сан бохамах самукъадаьллачарна Дала эхь а хетийтийла, цаьрга шайн сий а духкийтийла Цо. Суна хьалх кураллаш йийраш Цо эхьах а бузийтийла, уьш сийсаз а бойла.</verse>
				<verse number="27">Хазахетарца баккхийбойла со бакъвина хила лууш берш. Хаддаза олийла цара: «Вазлойла Веза Эла, Шен лен ирс хазахеташ волу».</verse>
				<verse number="28">Сан мотт а хир ма бу Хьан бакъдерг кхайкхадеш, муьлххачу а дийнахь Хьуна хастамаш а беш.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="35">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Везачу Элан ялхо волчу Даудан назма.</verse>
				<verse number="2">Ӏесачун кӀорггера даг чуьра аьрхалла йистхуьлу цуьнга. Цуьнан бӀаьргаш чохь Делах кхерар дац.</verse>
				<verse number="3">Шех лаьцна оццул лекха ойла ю цуьнан, шен къинош а гина, уьш ца деза кхетам ца кхаччал.</verse>
				<verse number="4">Цуьнан багара схьадолу дешнаш харц а, мекара а ду. Кхетаме хилар а, дика лелар а цо дитина ду.</verse>
				<verse number="5">Вижинчохь а вон ойланаш йо цо. Иза харц некъа тӀе а волу, вониг дарх дӀа а ца воьрзу.</verse>
				<verse number="6">Веза Эла! Хьан хедар боцу безам стигалшка дӀакхочу, Хьан тешаме хилар мархашка кхочу.</verse>
				<verse number="7">Хьан нийсо лекха лаьмнаш санна ю. Хьан кхел кӀорга хӀордаш санна ю. Адамаш а, бежанаш а Ӏалашдо Ахь, Веза Эла!</verse>
				<verse number="8">Мел чӀогӀа мехала бу-кх Хьан хедар боцу безам, Дела! Хьан тӀемийн ӀиндагӀехь адамаша шаьш лардойту.</verse>
				<verse number="9">Хьан токхечу цӀийнах дузуш ду уьш. Хьайх долучу диканан хица хьогалла дӀайоккху Ахь церан.</verse>
				<verse number="10">ХӀунда аьлча Хьоьгара ду дахаран хьоста. Хьоьца йолчу серлонгахь серло го тхуна.</verse>
				<verse number="11">Дахдехьа Хьо вевзачарна Хьайн безам балар а, догцӀеначарна Хьайн нийсо лелор а.</verse>
				<verse number="12">Курачун ког суна тӀе ма болийла, къилахь волчун куьйго со дӀа а ма эккхавойла.</verse>
				<verse number="13">Зулам лелош берш цигахь охьаэгна. Шаьш охьабахкарна, уьш хьала ца гӀовттало.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="36">
				<verse number="1">	 Даудан назма. А мал вон йолчарах Ӏеха ма лолахь, зуламаш лелочарах ма хьегалахь.</verse>
				<verse number="2">ХӀунда аьлча уьш кестта, буц санна, бакъалур бу, сенделла догӀу ялта санна, маргӀал а лур бу.</verse>
				<verse number="3">Б илггал Везачу Элах тешна а хила, дика а де. Лаьттахь вехаш а хила, догцӀеналла лар а е.</verse>
				<verse number="4">Везачу Элах дезар оьцуш хила, Цо хьан деган лаамаш кхочушбийр бу.</verse>
				<verse number="5">В езачу Элан кара хьайн некъ дӀа а ло, Цунах тешна Ӏаш а хила, ткъа тӀеоьшург Цо кхочушдийр ду.</verse>
				<verse number="6">Цо, серло санна, хьан бакъдерг а гучудоккхур ду, дийнан делкъе санна, хьан нийсо а гучуйоккхур ю.</verse>
				<verse number="7">Г Ӏам-гӀим а ца деш, тийна а волуш, Везачу Эле ладоьгӀуш хилалахь. Дахаран новкъахь кхиамаш бохуш волчу мекарчу стагах ма хьегалахь.</verse>
				<verse number="8">Д ералла а йиталахь, оьгӀаз а ма эхалахь. Хьайх зулам даллийтал хьагӀ йолуш ма хилалахь.</verse>
				<verse number="9">ХӀунда аьлча зулам долуьйтурш хӀаллакбийр бу, ткъа Везачу Эле сатийсар долчарна тӀаьхьалонна латта кхочур ду.</verse>
				<verse number="10">Е рриг а хан дукха ер яц, ткъа Ӏесаниг кхин хир а вац. И хиллачу метте хьо дӀахьаьжча, цигахь иза хир ма вац.</verse>
				<verse number="11">Ткъа эсала болчарна тӀаьхьалонна латта кхочур ду, машарх а, беркатах а цара дезар оьцур ду.</verse>
				<verse number="12">Жирга хета ойланаш Делан лаамехь болчарна дуьхьал Ӏесачо йо, уьш шена цабезарна цо царна шен цергаш хьекхайо.</verse>
				<verse number="13">Ткъа Веза Эла цунах воьлу, хӀунда аьлча Ӏесачун тӀаьххьара де тӀекхочуш хилар го Цунна.</verse>
				<verse number="14">И ра тарраш Ӏесачара баттара схьадоху, шайн секхаӀедаш а цара тӀехьежадо, къениг а, мисканиг а охьавиллархьама а, нийсачу новкъахь берш чекхбахархьама а.</verse>
				<verse number="15">Тарраш церан шайн дегнех чекхдевр ду, церан секхаӀедаш кеглур ду.</verse>
				<verse number="16">К Ӏеззиг долу Делан лаамехь болчеран хьал — Ӏесачеран дуккха а долчу хьолал гӀолехь ду.</verse>
				<verse number="17">ХӀунда аьлча Ӏесачеран ницкъ бохийна хир бу, ткъа Шен лаамехь берш Везачу Эло чӀагӀбо.</verse>
				<verse number="18">Л еррина хьоьжу Веза Эла цӀена лелачийн хьашташка, царна кхаьчна мел дерг абаденналц лаьттар ду.</verse>
				<verse number="19">Буьрсачу хенахь а юьхьӀаьржачу хӀиттор бац уьш, меца хан тӀееача а, буьзна хир бу уьш.</verse>
				<verse number="20">М аргӀалдоьлла аренан зезагаш санна, Ӏесанаш хӀаллакьхир бу. Везачу Элан мостагӀий, кӀур санна, дӀабовр бу.</verse>
				<verse number="21">Н агахь Ӏесачо духалург даккхахь, иза юха дӀа ца ло цо, ткъа Делан лаамехь волчо шен къинхетам хиларца дӀало.</verse>
				<verse number="22">ХӀунда аьлча Везачу Эло декъалбинчарна тӀаьхьалонна латта кхочур ду, ткъа Цо неӀалт кхайкхийнарш дӀалелхор бу.</verse>
				<verse number="23">О нда чӀагӀбо Везачу Эло адаман некъ, цо йоху гӀулчаш Шена тамехь елахь.</verse>
				<verse number="24">Иза, ког тасабелча а, вужур вац, хӀунда аьлча Везачу Эло цуьнан куьг дӀалоцу.</verse>
				<verse number="25">П оп санна а волуш, къона вара со, ткъа хӀинца къанвелла. Делан лаамехь верг суна дӀатесна а ца гира, цуьнан тӀаьхье бепиг доьхуш а ца гира.</verse>
				<verse number="26">Цо хӀора дийнахь къинхетам а бо, духалург а ло. Цуьнан тӀаьхье декъала а хир ю.</verse>
				<verse number="27">С овдоккхуш дикалла, зулам дарх дӀаверзалахь — лаьтта тӀехь гуттаренна а вехар ву хьо.</verse>
				<verse number="28">ХӀунда аьлча Везачу Элана бакъдерг деза, Шен долахь берш Цо дӀа а ца туьйсу. Т ешаменаш абаденналц Ӏалашбийр бу, ткъа Ӏесачеран тӀаьхье дӀаэккхор ю.</verse>
				<verse number="29">Делан лаамехь болчарна тӀаьхьалонна латта кхочур ду, уьш цу тӀехь абаденналц бехар бу.</verse>
				<verse number="30">У ггар хьекъале дерг Делан лаамехь волчун багара схьадолу, цуьнан матто а бакъдерг олу.</verse>
				<verse number="31">Шен Делан хьехамаш цуьнан даг чохь бу, ткъа царна тӀера иза дӀа а ца волу.</verse>
				<verse number="32">Хь оьжуш хуьлу Ӏесаниг Делан лаамехь волчуьнга, иза вен дагахь, кӀело яр лоьхуш.</verse>
				<verse number="33">Амма Везачу Эло иза Ӏесачун кара дӀалур вац. Уьш кхеле бевлча, Цо иза бехке а лоруьйтур вац.</verse>
				<verse number="34">ЧӀогӀа Везачу Эле са а тийса, Цуьнан новкъахула бен ма лела. ТӀаьхьалонна латта хьуна а кхочуьйтуш, Цо хьан сий дийр ду. Ткъа Ӏесанаш дӀа а лелхор бу, хьуна иза гур а ду.</verse>
				<verse number="35">Шен орамаш чӀагӀдина волу луьра Ӏесаниг гира суна, сенделла гаьннаш долчу диттах терра волу.</verse>
				<verse number="36">Амма со тӀехваьлча, иза ван а вацара. Аса и лоьху, ткъа суна кара а ца во иза.</verse>
				<verse number="37">Юххерачу цӀена лелаш волчун тергам а бе, догцӀеначу нехан леррина тергам а бе, тӀаьхье машаран стеган хир йолу дела.</verse>
				<verse number="38">Ткъа зуламенаш берриш а хӀаллакбийр бу. Ӏесачеран тӀаьхье хӀаллакйийр ю.</verse>
				<verse number="39">Ӏазап хьоьгучу хенахь Делан лаамехь болчарна Веза Эла чӀагӀо санна ву, Цуьнгара церан кӀелхьарбовлар ду.</verse>
				<verse number="40">Везачу Эло царна гӀо а до, уьш лар а бо. Ӏесачарах Цо уьш паргӀат а боху, царах Цо уьш кӀелхьар а боху, шаьш Цуьнга цара ларбойту дела.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="37">
				<verse number="1">Даудан назма. Дагалацийтаран доӀа.</verse>
				<verse number="2">Веза Эла! Хьо дарвеллачохь суна тӀех ма деттахьа. Хьо оьгӀазвахханчохь суна таӀзар ма дехьа.</verse>
				<verse number="3">ХӀунда аьлча Хьан пхерчий сох чекхдевлла. Суна тӀехь долу Хьан куьг а дазделла.</verse>
				<verse number="4">Хьан дералла бахьанехь дийна меттиг а ца йисина сан дегӀа тӀехь. Сан даьӀахкаш лозуш ю ас летийна къинош бахьанехь.</verse>
				<verse number="5">Сан коьртал а лакхадевлла аса летийна къинош, суна тӀехь ма ду уьш, беза мохь санна.</verse>
				<verse number="6">Вон хьожа а йогӀуш, наткъарх юьзна ю суна тӀера чевнаш, сан хьекъал ца кхачарна.</verse>
				<verse number="7">Сатта а сеттина, охьатаьӀна лела со, дийнахь сарралц гӀайгӀанехь лела со.</verse>
				<verse number="8">Кийра а буьзна дерачу чевнех сан, дегӀа тӀехь дийна меттиг а ца йисна сан.</verse>
				<verse number="9">Ца мегачу ваьлла со, воха а воьхна, узарш деш лела со, дог чӀогӀа дохарна.</verse>
				<verse number="10">Веза Эла! Сан берриг а лаамаш Хьуна хьалха ма бу. Сан синан садеӀар Хьох къайла ца долу.</verse>
				<verse number="11">Дог а дегадо сан. Сан ницкъо а вити со. БӀаьргийн серло а яц ур-атталла хӀинца сан.</verse>
				<verse number="12">Сан доттагӀий а, накъостий а сан даьӀнех дӀабирзи. Сан гергара берш берриге а суна генабевли.</verse>
				<verse number="13">Ткъа со вен тӀаьхьабевллачара суна гураш дугӀу. Суна зулам хила луучара со дакъазаваларх лаьцна дуьйцу, цара хӀора дийнахь юкъа питанаш туьйсу.</verse>
				<verse number="14">Ткъа суна-м хезаш дац, къорачунна санна, ву со бага дӀа ца йоьллу, мотт ца хуург санна.</verse>
				<verse number="15">Хилла со къора стаг санна, багахь дала жоп доцуш волу.</verse>
				<verse number="16">ХӀунда аьлча, Веза Эла, Хьоьга ас ладоьгӀу. Сан Хьалдолу Дела, Ахь суна жоп лур ма ду.</verse>
				<verse number="17">ТӀаккха ас элира: «Суна тӀехь толам ма боккхийла сан мостагӀаша. Сан ког шершачу хенахь, цара ма йойла суна кураллаш».</verse>
				<verse number="18">Со вожа герга ву, сан бала гуттара а соьца бу.</verse>
				<verse number="19">Со къера ву сайн харцонашна, дохковаьлла со сайн къинна.</verse>
				<verse number="20">Ткъа сан мостагӀий бехаш а, чӀагӀлуш а лаьтташ бу. Бахьана доццушехь, со цавезарш багар ца баллал бу.</verse>
				<verse number="21">Ас дечу диканна дуьхьал суна зулам дийраш, аса дика дешшехь, суна дуьхьалбовлу.</verse>
				<verse number="22">Ма витахьа со, Веза Эла! Гена ма валахьа суна, сан Дела!</verse>
				<verse number="23">Суна гӀо дан сихлохьа, Веза Эла волу, сан КӀелхьарвоккхург!</verse>
			</chapter>
			<chapter number="38">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга, Ядутуне. Даудан назма.</verse>
				<verse number="2">Ас элира: Сайн маттаца къинош ца леторхьама, со лелачу сайн некъийн тергам бийр бу аса. Ӏесанаш сайна хьалха мел бу, сайн бат дӀасацор ю аса.</verse>
				<verse number="3">Мотт ца хуург санна а, аз доцург санна а хуьлура со, ур-атталла диканна а вист ца хуьлура со. Ткъа сан баланаш совбевлира.</verse>
				<verse number="4">Сан дог алу хилла дӀахӀоьттира. Цуьнан дукха ойла ярна, сан кийрахь цӀе елира. Со сайн маттаца дийца волавелира:</verse>
				<verse number="5">Веза Эла, алахьа соьга, сан кхалхар маца хир ду а, сан дахаран денош мел дисна а. Мел ду те уьш, Ахь суна дуьнен чохь яккха елла хан мел ю хаархьама.</verse>
				<verse number="6">Ахь суна делла денош цхьайолу шенаш санна бен дац. Сан оьмар Хьуна гергахь хӀумма а йоцург ю. Билггал, хӀора стеган дахар хӀо санна бен дац-кх.</verse>
				<verse number="7">Билггал, адам гӀаларт санна лела-кх. Эрна хӀума а до цо, хьал а гулдо, ткъа иза хьанна кхочур ду цунна ца хаьа-кх.</verse>
				<verse number="8">Ткъа хӀинца аса стенга ладогӀа деза те? Сан сатийсар-м Хьоьга ду.</verse>
				<verse number="9">Аса лелочу дерриге а зуламех кӀелхьарваккхахьа со. Емалвайта сонтачеран кара дӀа ма лохьа со.</verse>
				<verse number="10">Мотт а сецна, сан багара дош ца долу, суна мел динарг Ахьа дина долу дела.</verse>
				<verse number="11">Айхьа суна дина таӀзар дӀадаккхахьа, Хьан куьг дукха дардаларна дӀавер ву со.</verse>
				<verse number="12">Бехк адамах баккхарца, летийначу къиношна Ахьа цунна таӀзар до, цунна дезаш мел дерг, нецо санна, Ахь кхаьллина дӀадоккху. Билггал, хӀора стаг хӀо санна бен вац-кх!</verse>
				<verse number="13">Веза Эла, сан доӀа дӀахазахьа, сан узарийн тергам бехьа. Сан бӀаьрхишна дуьхьал жоп ца луш ма Ӏехьа. ХӀунда аьлча со кхузахь Хьан хьаша санна ву, сан берриге а дай санна, со тӀевеанарг а ву.</verse>
				<verse number="14">ДӀа а кхелхина, дуьнен чуьра дӀаваххалц йолчу ханна витахьа со, сан кхин а воккхавен йиш хилийтархьама.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="39">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.</verse>
				<verse number="2">Боккхачу тешамца ладоьгӀура аса Везачу Эле, тӀаккха соьгахьа схьавирзира Иза, ас доккху орца а дӀахезира Цунна.</verse>
				<verse number="3">Кхерамечу гӀу чуьра со хьала а ваьккхина, сацкъаран уьшал чуьра со схьа а озийна, тарха тӀе сан когаш Цо дӀахӀиттийра, ас еш йолу сан гӀулчаш Цо чӀагӀйира.</verse>
				<verse number="4">Тхайн Далла хастамаш беш йолу керла эшар йиллира Цо сан бага. Дукхахберш, иза а гина, ларамах буьзна а хир бу, Везачу Элах тешна а хир бу.</verse>
				<verse number="5">Декъала ву Везачу Элах тешна Ӏаш волу а, цӀушка дехарш деш воцу а, харцделанашна Ӏамал ечарах дӀакхетта а воцу стаг.</verse>
				<verse number="6">Алссам ду, сан Веза Дела, Ахь мел дина тамашийна гӀуллакхаш а, тхох лаьцна Ахь мел йина ойланаш а. Хьоьца цхьа а вусталур ма вацара! Ахь мел динчу гӀуллакхех лаьцна Ас дийцахь я кхайкхам бахь, церан терахь хьесап ца даллал доккха хир ма дара!</verse>
				<verse number="7">СагӀанаш а, совгӀаташ а ца дийзира Хьуна, Сан лергаш дӀадиллира Ахь. Дийнаташ дагоран сагӀанаш Хьуна ца тайра, къинойх долу сагӀанаш Ахь ца дийхира.</verse>
				<verse number="8">ТӀаккха ас элира: «Хьажахьа, со кийча ву, товрат-хьехамийн тептар тӀехь суна лерина яздина ду.</verse>
				<verse number="9">Хьан лаам кхочушбан лууш ву со, сан Дела! Хьан товрат-хьехамаш сан даг чохь лаьтта».</verse>
				<verse number="10">Боккхачу гуламехь дуьйцура аса Хьан нийсонах лаьцна. Сайн баганна новкъарло ца йора аса, Хьуна ма-хаъара, Веза Эла.</verse>
				<verse number="11">Хьан нийса хилар сайн даг чохь къайла ца доккхура аса. Хьо тешаме хиларх а, Ахь кӀелхьарваккхарх а лаьцна кхайкхадора аса. Боккхачу гуламна хьалха Хьан хедар боцу безам а, Хьан билггал бакъдерг а ца хьулдора аса.</verse>
				<verse number="12">Веза Эла, сох къинхетам бар Ахьа цкъа а ца сацадо. Хьан безамо а, тешаме хиларо а саццаза ларвойла со,</verse>
				<verse number="13">хӀунда аьлча барам боцучу бохамаша го бина суна. Сан къиноша, со стенга вала веза ца хаъал, хьалавуьзна со. Уьш сан коьртарчу месел а совдевлла. Сан доьналла а сох дӀакъаьстина.</verse>
				<verse number="14">Веза Эла, со кӀелхьарваккхар Хьайна тамехь хилийтахьа. Веза Эла, суна гӀоьнна тӀеван сихлохьа.</verse>
				<verse number="15">Сан са хӀаллакьхилар лоьхурш юьхьӀаьржачу а хӀуьттийла, царна эхь а дуссийла! Суна зулам хила луурш, юьхьӀаьржачу а хӀиттийна, юха а берзабойла!</verse>
				<verse number="16">Со емалвархьама, соьга: «Жолам-яӀ!» — бохурш, шайна эхь доссарна, боьхна хьийзийла.</verse>
				<verse number="17">Хьо лоьхуш болу массо а Хьо бахьанехь хазахетта а, самукъадаьлла а хуьлийла! Ахь шаьш кӀелхьардахар дезаш болчара «Сийлахь ву Веза Эла!» — саццаза олийла.</verse>
				<verse number="18">Со-м къен а, миска а ву. Хьалдолу Эла, сан гӀайгӀа бехьа! Хьо ву суна гӀо дийриг а, со паргӀатвоккхург а. Ва сан Дела, хье ма лохьа!</verse>
			</chapter>
			<chapter number="40">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.</verse>
				<verse number="2">Декъала ву гӀийлачун гӀайгӀа беш верг! Холчу хӀоьттича, Везачу Эло паргӀатвоккхур ву иза.</verse>
				<verse number="3">Везачу Эло лар а вийр ву, дийна а вуьтур ву иза. Ша лаьттахь йоккхучу хенахь иза декъала хир ву. Цуьнан мостагӀийн лаамийн дола Ахьа дӀа ма лохьа иза.</verse>
				<verse number="4">Цомгуш а хилла, меттахь висча а, Везачу Эло иза чӀагӀво. Цуьнан цамгарх Ахь иза то а во.</verse>
				<verse number="5">Ас элира: «Веза Эла! Сох къинхетам бехьа, со товехьа, хӀунда аьлча Хьуна дуьхьал аса къа латийна».</verse>
				<verse number="6">Сох лаьцна вониг олу сан мостагӀаша: «Иза маца лийр ву те, цуьнан цӀе а маца дӀайовр ю те?» — бохуш.</verse>
				<verse number="7">Со ган веаначун хабар гуттара а даьсса хуьлу. Шен даг чохь цо вониг латтадо. Ара а волий, сох лаьцна цо эладита даржадо.</verse>
				<verse number="8">Со ца везначу массара а вовшашна юкъахь сох лаьцна шабар-шибарш до. Уггар а вониг сох лаьцна дага а лоьцуш, цара вовшашка олу:</verse>
				<verse number="9">«Цунна Ӏожаллин ун ма кхетта. Ша Ӏуьллучуьра иза кхин хьалагӀатталур ма вац».</verse>
				<verse number="10">Ур-атталла сан уггар дикачу доттагӀчо, ас тешаме лоручу а, соьца бепиг дууш волчу а, мекарлонца суна дуьхьал куьг айина.</verse>
				<verse number="11">Ткъа Ахьа, Веза Эла, сох къинхетам а бай, дӀахӀоттавехьа со, аса хьакъ дерг дӀалур дара царна.</verse>
				<verse number="12">Сан мостагӀаша суна тӀехь толам цабаккхарх хуур ду суна, Хьо суна реза хилар.</verse>
				<verse number="13">Сох лаьцна аьлча, со догцӀена хиларна со лоттуьйту Ахь. Ткъа со гуттаренна а Хьайна уллохь дӀахӀоттаво Ахь.</verse>
				<verse number="14">Азалера абаденналц декъала ву Исраилан халкъан Веза Дела! Амин! Амин!</verse>
			</chapter>
			<chapter number="41">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Кхорахьан тӀаьхьенан хьехаме назма.</verse>
				<verse number="2">Хин Ӏоврех хьоьгуш болу сай санна, сан са а ду Хьох хьоьгуш, Дела!</verse>
				<verse number="3">Делах хьоьгу сан са — дийна волчу Делах. Маца дӀавахалур ву те со, Далла уллохь а волуш, Цунна Ӏибадат дан?</verse>
				<verse number="4">Дийнаххьий, буьйсанний сайн бӀаьрхих кхача хилира суна, «Мичахь ву ткъа хьан Дела?» — бохуш, дийнахь сарралц мостагӀаша соьга хоьтту.</verse>
				<verse number="5">Сайн синан Ӏаткъам дӀа а балхош, хӀара ду суна дагаоьхург: адамийн тобанашца сайн лелар, Делан цӀа долчу сайн хьалхавийлар. Халкъаца цхьаьна аса а кхойкхура дезде даздечу хенахь хазахетаран а, баркаллин а озаца.</verse>
				<verse number="6">ХӀунда ду те хьо сингаттаме, сан са, карзах хӀунда дуьйлу те хьо сан кийрахь? Деле ладоьгӀуш хила, хӀунда аьлча ас кхин а хастамаш бийр бу Цунна, со КӀелхьарвоккхург волчу сайн Далла.</verse>
				<verse number="7">Сан кийрарчу сино сагатдо, цундела суна Йордан-хин махкара а, Хьермон а, Мицхьар а лаьмнийн мехкашкара а дагаоьху Хьо.</verse>
				<verse number="8">КӀоргачу цхьана хино вукху хине Хьан чухчарийн аьзнашца кхайкхамаш бо. Дерриг Хьан хиш а, Хьан тулгӀенаш а суна тӀехула чекхъевлла.</verse>
				<verse number="9">Дийнахь Везачу Эло Шен безам суна тӀехьажабо. Буьйсанна соьгахь илли ду Цунна — сан дахаран Деле долу доӀа.</verse>
				<verse number="10">Сайн тарх йолчу Деле аса олу: «Ахьа со виц хӀунда вина те? ХӀунда лела те со гӀайгӀанехь, сан мостагӀчо суна гӀело ярх?»</verse>
				<verse number="11">Сан даьӀахкашкахь Ӏожаллин чов хиллал, сан мостагӀашна со дола хета, «Мичахь ву ткъа хьан Дела?» — бохуш, дийнахь сарралц цара соьга хоьтту.</verse>
				<verse number="12">ХӀунда ду те хьо сингаттаме, сан са? Карзах хӀунда дуьйлу те хьо сан кийрахь? Деле ладоьгӀуш хила, хӀунда аьлча ас кхин а хастамаш бийр бу Цунна, со КӀелхьарвоккхург волчу сайн Далла.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="42">
				<verse number="1">	 Ва Дела, со бехказаваккхахьа, диндоцучу халкъана дуьхьал болчу сан къовсамехь суна гӀо дехьа. Мекарчу а, зуламечу а адамех со кӀелхьарваккхахьа!</verse>
				<verse number="2">Дела, Хьо ю сан чӀагӀо. Со дӀа хӀунда теси те Ахьа? Сан мостагӀчо суна гӀело а йина, гӀайгӀане хӀунда лела те со?</verse>
				<verse number="3">Хьайн серло схьаяийтахьа, Хьайн бакъдерг схьакховдадехьа. Цара со дӀавуьгийла, цара со хьалавоккхийла Хьан безачу лома тӀе, Хьо Ӏаш волчу цӀийне.</verse>
				<verse number="4">ТӀаккха со дӀагӀур ву Делан сагӀа доккхучу кхерчана тӀе, сан хазахетаран а, самукъадаларан а Дела волчу. Аса мерз-пондарца хастамаш бийр бу Хьуна, ва Дела, сан Дела!</verse>
				<verse number="5">ХӀунда ду те хьо сингаттаме, сан са? Карзах хӀунда дуьйлу те хьо сан кийрахь? Деле ладоьгӀуш хила, хӀунда аьлча аса кхидӀа а хастамаш бийр бу Цунна, со КӀелхьарвоккхург волчу сайн Далла.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="43">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Кхорахьан тӀаьхьенан хьехаме назма.</verse>
				<verse number="2">Тхан дайша тхуна дуьйцура, уьш баьхначу ширачу заманахь. Ахь мел динчу гӀуллакхех лаьцна. Ва Дела, тхан лергашна хезнера иза.</verse>
				<verse number="3">Хьайн куьйгаца халкъаш хӀаллакдира Ахьа, ткъа тхан дай баха охьаховшийра Ахьа. Кхечу къаьмнашна зулам дира Ахьа, ткъа тхан дайн аьтто балийтира Ахьа.</verse>
				<verse number="4">Цара и латта шайн туьраца а ца даьккхира, шайн ницкъаца а ца даьккхира. Хьан нуьцкъалчу аьтту куьйгаца а, Хьан юьхь тӀера лепачу нуьраца а даьккхира цара и латта, Хьо царна реза хиларна.</verse>
				<verse number="5">Ва Дела, Хьо сан Паччахь ма ву! Якъубан халкъана толамаш бахар лохьа!</verse>
				<verse number="6">Хьан ницкъаца тхешан мостагӀий оха юхабоху, Хьан цӀарца тхайна дуьхьалбевлларш оха хьошу.</verse>
				<verse number="7">Сайн секхаӀодах тешна Ӏаш вац со, сайн туьро а кӀелхьар ца воккху со.</verse>
				<verse number="8">Амма тхан мостагӀех Ахь тхо кӀелхьардоху, тхо цадезарш Ахь юьхьӀаьржачу хӀиттабо.</verse>
				<verse number="9">Дийнахь сарралц Делах дозалла до оха. Абаденналц Хьан цӀе язйийр ю оха.</verse>
				<verse number="10">Амма хӀинца-м Ахь дӀатесна тхо, Ахь юьхьӀаьржачу а хӀиттийна тхо. Тхан эскаршца ара ца волу Хьо.</verse>
				<verse number="11">Ахь мостагӀех тхо дӀаидийтина, тхо ца дезачара тхоьгара хӀонс яьккхина.</verse>
				<verse number="12">УьстагӀий санна, хӀаллакдайта дӀадели Ахь тхо, къаьмнашна юкъахь дӀасадаржий Ахь тхо.</verse>
				<verse number="13">Хьал совдаккхар а доцуш, Хьайн халкъ Ахь дӀадоьхки, цунах беллачу мехах Ахь пайда а ца ийци.</verse>
				<verse number="14">Тхан лулахошка емалдайта дӀадели Ахь тхо. Тхуна гонах бехаш болчарна беламна а, сийсаздахарна а дӀадели Ахь тхо.</verse>
				<verse number="15">Халкъашна юкъахь кицанна а даладойтуш, дӀахӀиттий Ахь тхо. Кхечу къаьмнашка кортош а лестадойтуш, тхох кхардам бина, дӀахӀиттий Ахь тхо.</verse>
				<verse number="16">Сан сийсазалла дийнахь сарралц суна хьалха ю. Со юьхьӀаьржачу хӀоттийна,</verse>
				<verse number="17">со емалвеш болчеран а, харцлуьйчеран а озо а, сан мостагӀчун а, суна бекхам бар лоьхучеран а хьежаро а.</verse>
				<verse number="18">И дерриг а тӀедеана тхуна, амма Хьо виц ца велла тхуна, Хьан барт а ца бохийна оха.</verse>
				<verse number="19">Тхан дегнаш Хьох дӀа а ца дирзира, тхан когаш Хьан некъа тӀера дӀа а ца бевлира,</verse>
				<verse number="20">Амма чангӀалкхаш ехачу меттехь Ахь тхо дӀахьаьшира, Ӏаьржачу боданехь Ахь тхо дӀахьулдира.</verse>
				<verse number="21">Нагахь оха, тхешан Делан цӀе йиц а йина, хийрачу далла куьйгаш хьалаайинехьара,</verse>
				<verse number="22">иза Далла хуур дацара ткъа, Шена деган къайленаш евза дела?</verse>
				<verse number="23">Хьо бахьанехь хӀора дийнахь тхо мостагӀаша хӀаллакдо. Дайа кечдина уьстагӀий санна царна хета тхо.</verse>
				<verse number="24">ГӀаттахьа, Веза Эла, вижина хӀунда Ӏа Хьо? Самавалахьа, гуттаренна а дӀа ма тасахь тхо!</verse>
				<verse number="25">Хьайн юьхь тхох къайла хӀунда яьккхина те Ахь? Тхо баланехь а, Ӏазапехь а хилар диц хӀунда дина те Ахь?</verse>
				<verse number="26">Тхо ченаш юккъе охьаэгна, тхан догӀмаш лаьттах дӀалетта.</verse>
				<verse number="27">ГӀаттахьа тхуна гӀоьнна, Хьайн барам боцучу безаман дуьхьа кӀелхьардахахьа тхо.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="44">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «Шушаним» олучу мукъамехь ала езаш ю. Кхорахьан тӀаьхьенан йолу хьехаме назма. Безаман йиш.</verse>
				<verse number="2">Сан дага чуьра хаза дешнаш арадуьйлу, сайн аяташ аса паччахьна лерина доху, сан мотт говзачу йозанчин къолам бу.</verse>
				<verse number="3">Адамашна юкъара уггар исбаьхьаниг ву хьо. Къамел дарна говза а ву хьо, цундела Дала абаденналц декъалвина хьо.</verse>
				<verse number="4">ГӀодаюкъах дехка, ва турпалхо, хьайн тур, хьайн паччахьан сий а, исбаьхьалла а долу.</verse>
				<verse number="5">Хьайн хазаллица говр хахкахьа, толам а боккхуш, билггал бакъдолчун а, кӀедачу нийсонан а дуьхьа, хьан аьтту куьйго хьуна инзаре хӀуманаш гайтийтархьама.</verse>
				<verse number="6">Хьан ира пхерчий паччахьан мостагӀийн дегнех чекхдовлийла. Хьан когашна хьалха халкъаш охьаэгийла.</verse>
				<verse number="7">Дала делла хьан паччахьалла абаденналц лаьтта, ткъа хьан паччахьалла нийсонан паччахьалла ду.</verse>
				<verse number="8">Нийсо а езаш, харцо ца еза хьуна, цундела Дала къобалвина хьо, хьан Дала хьан накъосташна чул а хьуна алссам хазахетар делла.</verse>
				<verse number="9">Хаза хьожа йогӀу деза даьтта а, сарап а, кассия а хьан ерриг а тӀеюхучу бедаршна тӀехь ю. Пийлан кӀомсарех хаздинчу паччахьан цӀеношна тӀера мерз-пондарийн мукъамаша хьан самукъадоккху.</verse>
				<verse number="10">Хьан долахь болу паччахьийн йоӀарий лараме болчу зударшна юкъахь бу хьан. Апар-махкара шена тӀехь деши а долуш, нускал ду хьуна аьтту агӀор дӀахӀоьттина.</verse>
				<verse number="11">ЛадогӀалахь, йоӀ, схьахьажалахь, хьайн лерг а схьадерзаделахь, хьайн халкъ а дицделахь, хьайн ден цӀа а дицделахь.</verse>
				<verse number="12">Паччахьна хьан хазалла езалур ю. Иза хьан олахо волу дела, хьо Цунна хьалха охьатаӀалахь.</verse>
				<verse number="13">Цора-гӀалара бахархоша совгӀаташ дахьар ду, къоман хьалдолчара хьо шайна резахилар лоьхур ду.</verse>
				<verse number="14">Паччахьан нускал паччахьан цӀа чу доьду. Ма хаза ду иза! Цуьнан духар дешица кечдина ду</verse>
				<verse number="15">Тир яьккхина духар тӀехь а долуш, иза паччахьна хьалха юьгу. Нускална юххебовлу йоӀарий а цунна тӀе балабо.</verse>
				<verse number="16">Самукъадаларца а, баккхийберца а паччахьан цӀа чу бовлу уьш.</verse>
				<verse number="17">Хьан дайн метта хьан кӀентий дӀахӀуьттур бу, ва паччахь. Дерриг а лаьтта тӀехь, элий а бина, дӀахӀиттор бу ахьа уьш.</verse>
				<verse number="18">Массо а тӀейогӀучу тӀаьхьенашкахь хьан цӀе аса дагаоьхуьйтур ю. Цундела халкъаша абаденналц хьан сий дийр ду.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="45">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Кхорахьан тӀаьхьенан назма. ХӀара йиш «Ӏаламут» олучу мукъамехь ала езаш ю.</verse>
				<verse number="2">Дела — вайн дӀалочкъийла а ю, вайн ницкъ а бу, вай де доьхна хьаьвзича, гуттар а кийча волу гӀоьнча а ву.</verse>
				<verse number="3">Цундела вай кхералур дац, ур-атталла латта дегийча а, лаьмнаш хӀордаш чу дахча а,</verse>
				<verse number="4">тулгӀенаша гӀовгӀа яьккхича а, хӀордийн хиш ловзадевлча а, шаьш меттахдахарна лаьмнаш дегийча а.</verse>
				<verse number="5">Цхьа татол ду Делан гӀалин самукъадоккхуш. Веза Воккха Дела Ӏаш волу еза меттиг ю цигахь.</verse>
				<verse number="6">Дела цу меттигна юккъехь ву, иза юхур яц. Сатосучу хенахь дуьйна Дала цунна гӀо дийр ду.</verse>
				<verse number="7">Халкъаш дарделла, пачхьалкхаш меттахъевлла. Дала Шен аз хазийти, ткъа латта дешна дӀадели.</verse>
				<verse number="8">Массо а ницкъийн Веза Эла вайца ву. Якъубан Дела вай лардаран гӀап ю.</verse>
				<verse number="9">Схьа а дуьйлий, хьовсийша Везачу Эло мел дечуьнга, лаьттахь Цо кхочуш мел дечу инзаре гӀуллакхашка.</verse>
				<verse number="10">Дуьненан йисте кхаччалц Цо тӀемаш а совцабо, секхаӀад а дохадо, гоьмукъ а кагбо, Цо турсаш а цӀергахь дагадо.</verse>
				<verse number="11">ДӀа а совций, Со Дела вуйла хаийша. Халкъаша а лакхавоккхур ву Со, лаьтта тӀехь а лакхавоккхур ву Со.</verse>
				<verse number="12">Массо а ницкъийн Веза Эла вайца ву. Якъубан Дела вай лардаран гӀап ю.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="46">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Кхорахьан тӀаьхьенан назма.</verse>
				<verse number="2">Ва массо а халкъаш, тӀараш деттийша! Даккхийдеран озаца Деле кхайкхийша!</verse>
				<verse number="3">Веза Воккха Эла кхераме ву. Иза дерриг а дуьненан сийлахь Паччахь ву.</verse>
				<verse number="4">Халкъаш вайна муьтӀахь дина Цо. Къаьмнаш вайн когашка охьадехкина Цо.</verse>
				<verse number="5">Цо хаьржина вайна кхаьчна болу хӀара мохк, Цунна дезаш долчу Якъубан халкъо цунах дозалла до.</verse>
				<verse number="6">Даккхийдеран аьзнаш айадарца хьалаваьлла Дела, коьман маӀа лоькхучохь хьалаваьлла Веза Эла.</verse>
				<verse number="7">Вайн Далла ала иллеш, вайн Паччахьна ала уьш.</verse>
				<verse number="8">Дерриг а лаьттан Паччахь ву Дела. Массара а говза назма Цунна ала.</verse>
				<verse number="9">Массо а халкъашна тӀехь Паччахь ву Дела. Шен езачу Ӏаршехь охьахиъна ву Дела.</verse>
				<verse number="10">Кхечу къаьмнийн куьйгалхой гулбелла ИбрахӀиман Делан халкъаца цхьаьна. ХӀунда аьлча латта лардийраш Делан долахь бу, ткъа Дела царал а лакхаваьккхина ву.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="47">
				<verse number="1">Йиш. Кхорахьан тӀаьхьенан назма.</verse>
				<verse number="2">Веза Эла сийлахь ву, хастам бан Иза чӀогӀа хьакъ долуш а ву, вайн Делан йолчу гӀалахь, Цуьнан безачу лома тӀехь.</verse>
				<verse number="3">Цийон-лам шен локхаллица хаза бу, дуьненан хазахетар а иза бу. Цуьнан къилбаседехьа агӀор сийлахьчу Паччахьан гӀала ю.</verse>
				<verse number="4">Цуьнан гӀепашкахь волчу Дала нах ларбийриг Ша хилар гайтина.</verse>
				<verse number="5">Паччахьаш, цхьаьна а кхетта, гӀалина тӀелата тӀебахара.</verse>
				<verse number="6">И дерриг ган а гина, Ӏадий уьш, боха а боьхна, дӀабевди уьш.</verse>
				<verse number="7">Кхерамо, бохийна, хьовзий уьш, берах хьийзош йолу зуда санна,</verse>
				<verse number="8">доккхачу хӀордкеманашна дуьхьал малхбалера хьаькхначу дарцо санна.</verse>
				<verse number="9">Хьалха тхуна Делан гӀуллакхех лаьцна хезна, ткъа хӀинца уьш ги тхуна тхайн Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Элан гӀалахь. Дала и гӀала гуттаренна а латтайо.</verse>
				<verse number="10">Ва Дела, Хьан хедар боцучу безамах лаьцна ойланаш йо оха, Хьан цӀийнан кертахь лаьтташ.</verse>
				<verse number="11">Веза Дела, лаьттан йистошка кхаччалц йоккхуш йолу Хьан цӀе санна бу Хьуна бо хастамаш. Хьан аьтту куьг ду нийсонах дуьзна.</verse>
				<verse number="12">Цийонан нехан самукъа а долийла. Хьан бакъйолу кхелаш бахьанехь ЯхӀуд-мехкан ярташна хаза а хетийла.</verse>
				<verse number="13">Цийон-ломана гонах чекх а довлий, цунна го а баккха, цуьнан бӀаьвнаш ягар а е.</verse>
				<verse number="14">Цуьнан арахула йолчу чӀагӀонийн тидам бе, дикка хьажа цунна чохь йолчу гӀепашка, царах лаьцна дийцархьама хинйолчу тӀаьхьенашка:</verse>
				<verse number="15">«И Дела абаденналц вайн Дела ву. Вай делла дӀадовллалц Иза вайн урханча ву».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="48">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Кхорахьан тӀаьхьенан назма.</verse>
				<verse number="2">ЛадогӀалаш ас бохучуьнга, массо а халкъаш! ХӀара тидаме эцалаш, дуьнен чохь дехаш мел долчара:</verse>
				<verse number="3">кӀезиг долчара а, цӀеяхана долчара а, къечара санна, хьал долчара а.</verse>
				<verse number="4">Сан багано хьекъале хӀума эр ду. Сан деган ойланаш кхетамах юьзна хир ю.</verse>
				<verse number="5">Сайн лерг хьекъалечу кицанна тӀедерзор ду ас. Сайн хӀетал-металан маьӀна мерз-пондар лакхарца дӀадоьллур ду ас.</verse>
				<verse number="6">Стенна кхера веза со сайн де доьхначу деношкахь, суна тӀаьхьабевллачеран къиноша суна го бинчу хенахь?</verse>
				<verse number="7">Уьш шайн бахамах тешна Ӏаш а бу, шайн доккхачу хьолах дозалла деш а бу!</verse>
				<verse number="8">ХӀуъа дича а, адаме стаг паргӀатваккхалур вац. Цуьнга оцу стеган дахарх Далла мах балалур бац.</verse>
				<verse number="9">Адаман дахарх болу мах тӀех боккха бу, вайга иза цкъа а балалур а бацара,</verse>
				<verse number="10">адам гуттаренна дехаш хилийтархьама а, вахкавалар гар цуьнан ца хилийтархьама а</verse>
				<verse number="11">ХӀоранна а го хьекъалалла дерш леш хилар. Иштта леш хуьлу кхетам боцурш а, сонтанаш а. Цара массара а шайн бахам шайн тӀаьхьенна буьту.</verse>
				<verse number="12">Къуббанаш ду церан цӀенош гуттаренна а, и хӀусамаш тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашна юьсур ю церан. Цара шайн мехкашна шайн цӀераш тохку.</verse>
				<verse number="13">Амма адам, цуьнан мел доккха хьал делахь а, гуттаренна а ца дуьсу оцу лаьттахь. Иза а тарло леш долчу бежанех.</verse>
				<verse number="14">Иштта хир бу сонталла йолчеран кхоллам а, цара аьлларг къобалдечарах хиндерг а.</verse>
				<verse number="15">Уьш, уьстагӀий санна, эхарт чу бухкур бу. ЖаӀуьно дӀадуьгу жа санна, Ӏожалло дӀаоьцур бу уьш. Ӏуьйранна Делан лаамехь болчара церан кешнаш хьошур ду. Церан куьцаш дӀадевр ду эхартехь, шайн хӀусамашна геннахь.</verse>
				<verse number="16">Эхартан олаллех паргӀатдоккхур ду сан са, Дала билггал кӀелхьарвоккхур ву со.</verse>
				<verse number="17">Ма хьегалахь, хьал сов а дуьйлуш, сийлалла лакхадолучу адамах.</verse>
				<verse number="18">ХӀунда аьлча ша дӀакхелхачу хенахь цо шеца хӀумма а дӀахьур яц. Цуьнан сийлалла цунна тӀаьххье дӀагӀур дац.</verse>
				<verse number="19">Ша вехачу хенахь цо шен синна там берг леладахь а, цо аьтто баккхарна наха цуьнан сий дахь а,</verse>
				<verse number="20">цкъа а серло гур йоцуш болчу, шен беллачу дайх дӀакхетар ву иза.</verse>
				<verse number="21">Адам хьал долуш делахь а, цуьнан кхета ницкъ ца кхочу, леш долчу бежанех тарло иза а.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="49">
				<verse number="1">Асайпан назма. Деланийн Дела волчу Везачу Эло Шена тӀекхойкху малхбалера дуьйна малхбузе кхаччалц долу дерриге а латта.</verse>
				<verse number="2">Хазаллехь кхоччуш болчу Цийон-лома тӀера Дела Шен нуьраца серлавуьйлу.</verse>
				<verse number="3">СхьавогӀур ву Вайн Дела, амма тийналлица вогӀур вац Иза. Дерриг хӀума а дӀакхоллуш йолу цӀе ю Цунна хьалха, чехкабаьлла мох бу Цунна гонах.</verse>
				<verse number="4">Лакхарчу стигале а, иштта лаьтте а кхайкхам бо Цо, Шен халкъана Ша кхел ярхьама:</verse>
				<verse number="5">«Схьагулбе Со волчу Суна тешаме берш, сагӀа даккхарца Соьца барт бинарш».</verse>
				<verse number="6">Стигалша Цуьнан нийсо кхайкхайо, хӀунда аьлча Дела — Ша ву Кхелахо.</verse>
				<verse number="7">«ЛадогӀа, Сан халкъ, Ас дош эр ду. Исраилан халкъ! Ас хьуна дуьхьал тоьшалла дийр ду. Со Дела ву, хьан Дела ву!</verse>
				<verse number="8">Ахь дохучу сагӀанашна дуьхьал эр дац Ас хӀумма а — хьан дийнаташ дагоран сагӀанаш гуттара а ду Суна хьалха.</verse>
				<verse number="9">ХӀетте а, Ас хьан цӀентӀера стерчий а схьаоьцур дац я хьан гӀотанашкара бежалой а тӀеоьцур яц.</verse>
				<verse number="10">ХӀунда аьлча хьаннашкара ерриг акхарой а Сан ю, эзар лаьмнашкара хьайбанаш а Сан ду.</verse>
				<verse number="11">Лаьмнаш тӀера дерриг олхазарш а девза Суна, аренгара бежанаш а ду Суна хьалха.</verse>
				<verse number="12">Нагахь Со мацвелча а, хьоьга эр дацара Ас, хӀунда аьлча Сан ду дерриг дуьне а, цунна чохь мел долу хӀума а.</verse>
				<verse number="13">Стерчийн жижиг дууш ву ткъа Со, я бежалойн цӀий молуш ву ткъа Со?</verse>
				<verse number="14">Ахьа Далла сагӀина хьайн хастамаш а бе, айхьа Веза Воккхачунна дина нигат кхочуш а де.</verse>
				<verse number="15">Хьайн де доьхча, Соьга кхайкха. Ас хьо кӀелхьарвоккхур ву, ахьа Сан сий дийр ду».</verse>
				<verse number="16">Амма Ӏесачуьнга Дала иштта боху: «Ас тӀедехкинарш а хӀунда кхайкхадо ахь, Соьца бина барт а хӀунда бу хьан багахь?</verse>
				<verse number="17">Ткъа хьо нисвар хьуна бӀаьрга дан ца деза, Сан дешнаш а хьайна тӀехьа дӀатотту ахьа.</verse>
				<verse number="18">Хьайна къу гича, цуьнца а лела хьо, сийсаза лелачаьрца а хьо-со хуьлу хьан.</verse>
				<verse number="19">Ахь хьайн багах вон дешнаш а довлуьйту, хьан матто мекарло а кхуллу.</verse>
				<verse number="20">Охьа а хаий, хьайн веших лаьцна вониг олу ахь, хьайн ненан кӀантах лаьцна харцдерг кхуллу ахь.</verse>
				<verse number="21">Ахь иза леладора, ткъа Со вист ца хуьлура. Хьуна-м Со хьайх тера ву моьттира. Амма хӀинца Ас хьуна тӀехдеттар а ду, хьан бӀаьргашна хьалха Ас хьох бехк боккхур а бу.</verse>
				<verse number="22">Кхеталаш хӀокхунах, Дела вицвинарш, Соьга шаьш хьийза ца дайтархьама, шу кӀелхьардохург ца хиларна.</verse>
				<verse number="23">Суна сагӀина хастамаш бахьаш волчо Сан ларам бо. Ша лела некъаш нисдеш волчунна Ас Делера долу кӀелхьарвалар гойтур ду».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="50">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.</verse>
				<verse number="2">Дауд Бат-ШабаӀах кхеттачул тӀаьхьа, иза волчу Ната-пайхамар веана хиларх лаьцна.</verse>
				<verse number="3">Веза Дела, Хьайн хедар боцучу безамца гечдехьа суна. Хьайн боккхачу къинхетамца дӀадахахьа сан къинош.</verse>
				<verse number="4">Хино дӀайоху модаш санна, дӀаяхахьа сан харцонаш, сан къинойх цӀанвехьа со.</verse>
				<verse number="5">Сайн харцонашна къера ву со, айса латийна къа гуттар а суна хьалха ду.</verse>
				<verse number="6">Хьуна хьалха, Хьуна цхьанна хьалха къа латийна ас, Хьан бӀаьргашна хьалха хьарамниг дина, цундела со бехке варехь Хьо нийса а ву, кхел ярехь цӀена а ву.</verse>
				<verse number="7">Харцонца вара со дуьнен чу ваьлчхьана дуьйна, сайн ненан кийрара дуьйна къа ду аса схьадахьаш.</verse>
				<verse number="8">Сан даг чохь бакъдерг хилар лууш ву Хьо, цундела сан коьрте хьекъал доуьйту Ахь.</verse>
				<verse number="9">Ярийн курсаца цинцаш тохахьа суна тӀе, тӀаккха со цӀена хир ву, хих ваккхахьа со, тӀаккха лонал а кӀайн хир ву со.</verse>
				<verse number="10">Хазахетар а, самукъадалар а хазийтахьа суна, тӀаккха Ахь кегйина даьӀахкаш самукъадаьлла хир ю сан.</verse>
				<verse number="11">Сан къиношна тӀера дӀаверзий, сан харцонаш дӀаяхахьа.</verse>
				<verse number="12">Суна чохь цӀена дог кхоллахьа, Дела, суна чуьра тешаме са карладаккхахьа.</verse>
				<verse number="13">Хьайна хьалхара со дӀа ма ваккхахьа, Хьайн Деза Са соьгара дӀа ма даккхахьа.</verse>
				<verse number="14">Ахь кӀелхьарваккхарна долу хазахетар юхалохьа суна, Хьуна муьтӀахь хила лууш долчу Синехь чӀагӀвехьа со.</verse>
				<verse number="15">Нийсонца лелаш боцурш Хьан новкъа ас бохур бу, тӀаккха галбевлларш Хьуна тӀебоьрзур бу.</verse>
				<verse number="16">Со кӀелхьарвоккху Дела, цхьаннан цӀий Ӏанорах ларвелахь со, тӀаккха ас Хьан нийсо хастор ю.</verse>
				<verse number="17">Веза Эла! Схьаеллахьа сан бага, тӀаккха цо Хьуна хастам кхайкхор бу.</verse>
				<verse number="18">Ас сагӀа доккхур дара Хьуна, амма Хьуна ца деза иза. Хьайна лерина дийнаташ дагорна а Хьо реза вац.</verse>
				<verse number="19">Доьхна са — иза Далла луш долу сагӀа ду. Дохкодаьлла а, муьтӀахь долу а дог Ахь дӀатоттур дац, Дела.</verse>
				<verse number="20">Хьайн лаамца къинхетам бехьа Цийон-гӀопах, Ярушалайман пенаш ирахӀиттадехьа.</verse>
				<verse number="21">ТӀаккха Хьо реза хир ву бакъдолчу сагӀанашна, дийнаташ дагоран сагӀанаш а тамехь хир ду Хьуна, тӀаккха Хьан сагӀа доккхучу кхерча тӀе стерчий дохкур ду.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="51">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хьехаме назма,</verse>
				<verse number="2">эдомхочо ДуагӀа, Дауд Ахьи-Маликан цӀийне веана аьлла, Шауле мотт тоьхначул тӀаьхьа аьлла йолу.</verse>
				<verse number="3">Айхьа зулам дарх дозаллаш стенна до ахь, нуьцкъала стаг? Дела массо а ханна тешаме ву.</verse>
				<verse number="4">Хьан матто хӀаллакьхилар дуьйцу, ира урс санна бу хьан иза, ямартниг!</verse>
				<verse number="5">Хьуна вониг дикачул алсам деза, бакъдолчул а харцдерг алсам дийца лаьа хьуна.</verse>
				<verse number="6">Зуламе къамелаш деза хьуна, ямарта мотт.</verse>
				<verse number="7">Дала, хӀаллаквина, дӀавоккхур ву хьо, цӀа чуьра аракхуссур ву, дийначийн лаьтта тӀера хьан орам а дӀабоккхур бу.</verse>
				<verse number="8">Иза а гина, Делан лаамехь берш ларамах буьзна хир бу. Уьш боьлур бу цунах:</verse>
				<verse number="9">«Делах шен чӀагӀо а ца еш, шен доккхачу хьолах а тешна, зуламаш тӀехь чӀагӀвелла вара и стаг».</verse>
				<verse number="10">Ткъа со Делан цӀа чохь зазадоккхуш долу зайт-дитт санна ву, ерриг а тӀейогӀучу ханна Делан хедар боцучу безаме сатесна а ву.</verse>
				<verse number="11">Ахь динчунна гуттар а Хьуна хастам бийр бу ас. Хьан цӀарах догйовха хилла, иза хастор ю Хьуна тешамечу нахана хьалх.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="52">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хьехаме йолу хӀара назма «Махьалат» олучу мукъамехь лакха езаш ю.</verse>
				<verse number="2">Сонтачара шайн дагахь боху: «Дела вац». Уьш ма телхина бу, цара лелориг ма дегаза хӀума ду. Царах цхьа а диканиг дийриг вац.</verse>
				<verse number="3">Стигалшкара адамашка охьахьоьжу Дела, цхьа а кхетамехь верг а вуй те, Дела лоьхург а вуй те, Шена гархьама.</verse>
				<verse number="4">Берриш а нийсачу некъа тӀера дӀабирзина, уьш массо а талхарх буьзна. Царах цхьа а диканиг дийриг вац, ур-атталла цхьаъ-м вац.</verse>
				<verse number="5">Кхетаме богӀур болуш а бац те харцонаш лелош мел берш, шаьш бепиг дууш санна, сан халкъ дӀакхоллурш, ткъа Деле ца кхойкхурш?</verse>
				<verse number="6">ЦӀеххьана царна тӀе кхерам тосур бу, кхераме хӀумма а дацахь а, хӀунда аьлча хьуна дуьхьалбевллачеран даьӀахкаш Дала дӀасаяржор ю. Ахь юьхьӀаьржачу хӀиттор бу уьш, Дала уьш дӀатесна дела.</verse>
				<verse number="7">Исраилан халкъана кӀелхьардовлар Цийон-лома тӀера догӀур делахьара! Шен халкъ Дала юхаметтахӀоттийча, Якъубан халкъан сакъералур дара, Исраилан халкъан самукъадер дара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="53">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хьехам болу назма. Дечиг-пондарца ала езаш ю иза.</verse>
				<verse number="2">Зипахоша, Шаулна тӀе а баьхкина: «Тхо долчохь къайла-м ца ваьлла те Дауд?» — аьллачу хенах лаьцна.</verse>
				<verse number="3">Ва Дела! Хьайн цӀарца кӀелхьарваккхахьа со, Хьайн ницкъаца бехказаваккхахьа со.</verse>
				<verse number="4">Ва Дела! Сан доӀа хазахьа, сан багара дешнашка ладогӀахьа.</verse>
				<verse number="5">Хийра нах дуьхьалбевлла суна, нуьцкъалчара сан са лоьху. Цу нехан Дела вац.</verse>
				<verse number="6">Дела сан гӀоьнча ву. Везачу Эло дог чӀагӀдо сан.</verse>
				<verse number="7">Сан мостагӀаша дина зулам царна тӀе юхадерзадехьа, Хьо тешаме хиларна, хӀаллакбехьа уьш.</verse>
				<verse number="8">Ас леррина сагӀа доккхур ду Хьуна, Хьан цӀе а хастор ю, Веза Эла, хӀунда аьлча иза дика ю.</verse>
				<verse number="9">Ахь кӀелхьарваьккхи со берриг а баланех, сайн мостагӀашна тӀехь толам баккхар гина сан бӀаьргашна.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="54">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: мерз-пондарш тӀехь ала езаш йолу Даудан хьехаме назма.</verse>
				<verse number="2">Дела, сан доӀа дӀа а хазахь, сан дехарх къайла а ма валахь.</verse>
				<verse number="3">Сан тергам а бехьа, суна жоп а лохьа. Сан дог а доьхна, со гӀайгӀанехь а ву. Со карзахвуьйлу,</verse>
				<verse number="4">мостагӀчун аз хазарна а, Ӏесачара суна гӀело ярна а, хӀунда аьлча цара суна дуьхьал зулам а леладо, уьш дераллица дуьхьал а бевлла суна.</verse>
				<verse number="5">Сан кийрарчу даго а хьийзаво со, Ӏожаллин къемато а дӀалаьцна со.</verse>
				<verse number="6">Кхерар а, вегавар а тӀедеана суна, Ӏада а вина, воьхна хьийза со.</verse>
				<verse number="7">Цундела ас элира: «Кхокханан санна долу тӀемаш суна хьан лур дара? Со, тӀема а ваьлла, паргӀатвер вара.</verse>
				<verse number="8">Со, генна дӀа а вахана, яьссачу аренгахь вуьсур вара.</verse>
				<verse number="9">Йилбазмохах а, дарцах а со дӀалачкъа сихлур вара».</verse>
				<verse number="10">Хьалдолу Эла, меттанаш э а дай, къамел карзахдаккхахьа сан мостагӀийн. Къизалла а, барт цахилар а го суна гӀалахь.</verse>
				<verse number="11">Дийнахь а, буьйсанна а цу гӀалин пенаш тӀехула го боху цара. Цу гӀалахь зуламаш а, баланаш а бу.</verse>
				<verse number="12">Цунна чохь бохамаш а хуьлу. Цуьнан майданашкара нахана гӀело яр а, мекарлонаш лелор а дӀа а ца долу.</verse>
				<verse number="13">Ткъа сан мостагӀа вац со емалвийриг — иза-м ас ловр дара. Суна кураллаш йийриг со цавезарг вац — цунах-м со къайлавер вара.</verse>
				<verse number="14">Амма хьо ма ву иза, сан тайпанара верг — сан уллора доттагӀа, со тешна Ӏаш верг.</verse>
				<verse number="15">Вайшиммо вовшашка дагара а дуьйцура, адамийн тобанна юкъахь вайшиъ цхьаьна Делан цӀийнан керта а воьдура.</verse>
				<verse number="16">Сан мостагӀашна тӀе цӀеххьана Ӏожалла йогӀийла. Дийна боллушехь уьш эхарте боьлхийла, хӀунда аьлча вониг царна юкъахь долуш ду, вониг церан дегнаш чохь долуш ду.</verse>
				<verse number="17">Ткъа со-м Деле кхойкхуш ву, Везачу Эло со кӀелхьар а воккхур ву.</verse>
				<verse number="18">Суьйранна а, Ӏуьйранна а, делкъахенахь а со латкъамаш беш а ву, узарш деш а ву, ткъа Цунна сан аз дӀахезар ду.</verse>
				<verse number="19">Суна дуьхьал бинчу тӀамах Цо со маьршачу метте воккхур ву, суна дуьхьалбевлларш алссам белахь а.</verse>
				<verse number="20">Азалера дуьйна олалла деш волчу Далла со дӀа а хезар ву, Цо уьш сийсаз а бохур бу. Уьш цкъа а хийца ца бели, хӀунда аьлча уьш Делах кхоьруш бац.</verse>
				<verse number="21">Сан доттагӀа хиллачо шен накъосташна дуьхьал куьг айдина, цаьрца ша бина барт цо боха а бина.</verse>
				<verse number="22">Цуьнан бага даьттанал а кӀеда ю, амма цуьнан даг чохь мостагӀалла ду. Цуьнан дешнаш зайтдаьттанал а кӀеда ду, ткъа уьш, баттара даьхна тарраш санна, ира ду.</verse>
				<verse number="23">Хьайн гӀайгӀанаш Везачу Элана тӀеяхка, ткъа Цо хьо чӀогӀа лоттуьйтур ву. Шен лаамехь верг Дала цкъа а дӀасатоьхкуьйтур вац.</verse>
				<verse number="24">Амма Ахьа, Дела, уьш кӀоргачу эхарта чу туьйсур бу. Адамийн цӀий Ӏеночара а, мекарлонаш лелочара а шайна дуьнен чохь яккха еллачу хенан аххан а йоккхур яц. Ткъа со Хьох тешна Ӏаш хир ву.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="55">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «Генахь дӀатийна кхокха» олучу мукъамехь ала езаш ю. Гати-гӀалахь ша пӀелаштамхоша дӀалаьцначу хенахь Дауда язйина назма ю иза.</verse>
				<verse number="2">Къинхетам бехьа сох, Дела! МостагӀаша эккхийна лелош ву со, хӀора дийнахь тӀелеташ, цара ницкъ бо суна.</verse>
				<verse number="3">Сайн кӀесаркӀога чохь церан садеӀар хаало суна хӀора дийнахь. Сийлахьниг, дукха бу суна дуьхьалбевлларш!</verse>
				<verse number="4">Со кхоьручу хенахь Хьох дегайовхо ю сан.</verse>
				<verse number="5">Делехь ас хастадо Цуьнан дош, Делах ю сан дегайовхо, со ца кхоьру. ХӀун дийр ду суна гӀорасизчу адамо?</verse>
				<verse number="6">Денна а мостагӀаша хуьйцу сан дешнаш, сох йолу церан ойланаш зуламна ю.</verse>
				<verse number="7">Вовшех а бетталуш, теба а тебаш, со воьду меттиг ларйо цара, сан са эцархьама.</verse>
				<verse number="8">Шаьш лелочу харцонна кӀелхьардовлар хир дуй те царна? Дела, Хьайн оьгӀазаллица таӀзар дехьа цу нахана.</verse>
				<verse number="9">Ахь дагардина сан дакъазаваьлла леларан денош. Сан бӀаьрхиш Хьо волчуьра пхьегӀи чу гулделла, Хьан тептар тӀехь-м дац те уьш?</verse>
				<verse number="10">Сан мостагӀий юхабовлу, со Хьоьга кхайкхича, хӀунда аьлча суна хаьа Дела сайгахьа вуйла.</verse>
				<verse number="11">Делехь ас хастадо Цуьнан дош, Везачу Элехь ас хастадо и дош,</verse>
				<verse number="12">Цунах ю сан дегайовхо, со ца кхоьру. ХӀун дийр ду суна адамо?</verse>
				<verse number="13">Хьуна йина чӀагӀонаш кхочушъяр ду суна тӀехь. Хьуна баркаллин сагӀанаш дохур ду ас.</verse>
				<verse number="14">Ахь валарх кӀелхьарваьккхи со, сан когаш совцучуьра ларби, дахар лучу серлонгахь Далла хьалха со лелийта.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="56">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «ХӀаллак ма ве со» олучу мукъамехь лакха езаш ю. Шаулах ведда, хьеха чу ша вахча, Дауда язйина назма ю иза.</verse>
				<verse number="2">Къинхетам бехьа сох, Дела, къинхетам бехьа, Хьох ю сан дегайовхо. Хьан тӀома кӀел лечкъар ву со, сайн бохамаш дӀабовллалц.</verse>
				<verse number="3">Веза Воккхачу Деле кхойкхур ву со, Шен Ӏалашо суна лерина кхочушъечу Деле.</verse>
				<verse number="4">Цо, стигалара гӀо а даийтина, со кӀелхьарвоккхур ву, со лаца гӀерташ берш юьхьӀаьржачу хӀиттор бу. Дала Шен безам а, бакъдерг а лур ду.</verse>
				<verse number="5">Сан са лоьмашна юкъахь ду. Цергех гоьмукъаш а, пхерчий а дина, маттех ира тарраш а дина, Ӏачу адамийн кӀенташна юкъахь Ӏуьллу со.</verse>
				<verse number="6">Стигалал лакха хьалаволийла Хьо, Дела, дерриг а лаьтта тӀехь Хьан сийлалла лаьттийла!</verse>
				<verse number="7">Со лаца кечбина гур бара, гӀайгӀанехь вара со. Суна хьалха ор даьккхира цара, амма шаьш цу чу ийгира.</verse>
				<verse number="8">Сан дог Хьох тешна ду, Дела, Хьох тешна ду иза: ас, илли а олуш, хастам бийр бу Хьуна.</verse>
				<verse number="9">ГӀаттахьа, сан сийлалла, гӀаттахьа! Самабала, мерз-пондар! ГӀатта, Ӏад хьокху пондар! Малх самабоккхур бу ас.</verse>
				<verse number="10">Халкъашна юкъахь, Веза Эла, Хьо ас хастор ву, Хьох лаьцна нахана хьалха иллеш эр ду.</verse>
				<verse number="11">Стигала кхаччалц бу Хьан безам, мархаш тӀе кхаччалц ду Хьан тешаме хилар.</verse>
				<verse number="12">Стигалел лакха хьалаволийла Хьо, Дела, дерриг а лаьтта тӀехь Хьан сийлалла лаьттийла!</verse>
			</chapter>
			<chapter number="57">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «ХӀаллак ма ве со» олучу мукъамехь лакха езаш ю. И назма Дауда язйина ю.</verse>
				<verse number="2">Нийсо билггал кхайкхайой те аша, куьйгалхой? ЦӀеначу дегнашца йой теша аша адамашна юкъахь кхел?</verse>
				<verse number="3">Дегнаш чохь харцонаш кхуллу аша. Шайн куьйгийн къизалла махкахь узу аша.</verse>
				<verse number="4">Дуьнен чу бовллушехь, нийсачу некъана тӀера дӀабевлла Ӏесанаш. Харцдерг а дуьйцуш, ненан кийрара схьабовллушехь, тилабелла уьш.</verse>
				<verse number="5">Церан дӀовш лаьхьанан дӀовш санна ду. Иза шен лергаш дӀакъовлуш болчу, къорачу лаьхьанан дӀовш санна ду.</verse>
				<verse number="6">Царна ца хеза лаьхьа тебечун аз, молханаш лелош верг мел говза велахь а.</verse>
				<verse number="7">Дела! Церан багара цергаш кегъехьа! Веза Эла! Цу лоьмийн мочхалш атахьа!</verse>
				<verse number="8">ДӀадоьду хи санна, уьш тӀепаза дӀабойийла. Шайн Ӏад цара дуьйлича, пхерчий кегделча санна хуьлийла.</verse>
				<verse number="9">ДӀайоьддушехь, ешна дӀайолу этмаьӀиг санна, дӀабовлийла уьш. Остаяьллачу зудчун берана санна, царна малх ма гойла.</verse>
				<verse number="10">Ешна кӀел йогучу коьллех цӀе латале, ховха я екъа уьш елахь, йилбазмохо дӀасаяржийна коьллаш санна уьш хуьлийла.</verse>
				<verse number="11">Бина бекхам шена гича, Делан лаамехь волчунна хазахетар хир ду. Цо Ӏесачун цӀийлахь шен когаш буьлур бу.</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха адамо эр ду: «Билггал хуьлу Делан лаамехь волчунна стом! Иштта, волуш ву дуьнен чохь кхел еш волу Дела!»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="58">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «ХӀаллак ма ве со» олучу мукъамехь лакха езаш ю. Шаула Дауд верхьама цуьнан цӀа долчу кӀелховша нах бахийтича, Дауда язйина назма ю иза.</verse>
				<verse number="2">Сан Дела, мостагӀех со кӀелхьарваккхахьа! Суна дуьхьалбевллачех со ларвехьа.</verse>
				<verse number="3">Харцо лелочарах со Ӏалашвехьа, цӀий Ӏанор дезаш болчарах со кӀелхьарваккхахьа.</verse>
				<verse number="4">Уьш сан синна кӀелхевшина бу. Ас зулам дина я къа латор бахьана долуш, гуллуш бац нуьцкъалнаш суна дуьхьал, Веза Эла.</verse>
				<verse number="5">Сан бехк боццушехь, суна тӀелата дӀагуллуш бу уьш. Орцах а валий, хьажахьа соьга.</verse>
				<verse number="6">Массо ницкъийн Веза Дела, Исраилан халкъан Дела, самавалахьа дерриг халкъашна дуьхьалвалархьама, Мекарчарах цхьаннах а къинхетам ма бехьа.</verse>
				<verse number="7">Суьйранна схьабогӀий, жӀаьлеш санна, угӀу уьш, гӀалина гонах а лелаш.</verse>
				<verse number="8">Харцдерг дуьйцу церан меттанаша. Тарраш санна, ду уьш. «Хьанна хезар ду тхо?» — боху цара.</verse>
				<verse number="9">Амма, Веза Эла, Хьо воьлуш ву царах. Ахь юьхьӀаьржачу хӀиттор ду дерриг а халкъаш.</verse>
				<verse number="10">Ва сан Ницкъ, Хьоьга ас кхойкху, хӀунда аьлча Хьо, Дела, сан гӀап ю.</verse>
				<verse number="11">Со везаш волу сан Дела суна хьалхавер ву. Дала со сайн мостагӀашна тӀехула хьоьжуьйтур ву.</verse>
				<verse number="12">Цкъачунна хӀаллак ма бе уьш, хилларг сан халкъана диц ца далийта. Хьайн ницкъаца дӀасакхиссинчул тӀаьхьа, эшабе уьш, Веза Эла, тхо лардеш верг.</verse>
				<verse number="13">Церан матта тӀера дош баганца латийна къа ду. Шайн куралла бахьана долуш юьхьӀаьржачу хӀуьттийла уьш, шаьш дуьйцу неӀалт а, харцдерг а бахьана долуш.</verse>
				<verse number="14">Хьайн оьгӀазаллица, хӀаллакбай, дӀабахахьа уьш. ДӀахоийла царна Якъубан махкана тӀехь Дела вуйла а, Цуьнан олалла дуьненан йисте кхаччалц дуйла а.</verse>
				<verse number="15">Суьйранна схьабогӀий, жӀаьлеш санна, угӀу уьш, гӀалина гонах а лелаш.</verse>
				<verse number="16">Юург лоьхуш, кхерста шайна, меца а долуш, гӀигӀ а деш.</verse>
				<verse number="17">Хьан ницкъах лаьцна ас иллеш эр ду, Ӏуьйранна хьалххе дуьйна Хьан къинхетам кхайкхор бу, хӀунда аьлча суна тӀе хало хӀоьттича, Хьо сан гӀап а, кӀелхьарволу меттиг а хилла.</verse>
				<verse number="18">Дела, сан ницкъ! Хьо хастор ву ас, хӀунда аьлча Хьо сан гӀап а, со везаш волу Дела а ма ву.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="59">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «Бертан лили» олучу мукъамехь ала езаш ю. ХӀара хьехаме назма Дауда язйинера,</verse>
				<verse number="2">ша Арам-НахӀараим-махкахь а, Цоба-махкахь а арамхошца тӀом бечу хенахь а, Йоаба, цигара юха а вирзина, Дуьрачу тогӀи чохь шийтта эзар эдомхо хӀаллаквинчу хенахь а.</verse>
				<verse number="3">Ва Дела! Ахь дӀатесна тхо, Ахь дохийна тхо. Хьо оьгӀазвахана тхуна — хӀинца юхаметтахӀоттадехьа тхо!</verse>
				<verse number="4">Ахь латта ластийна, Ахь иза дохийна. Цуьнан йоьхна меттигаш меттахӀиттаехьа, хӀунда аьлча иза лесташ ду.</verse>
				<verse number="5">Ахь Хьайн халкъана къизалла йовзийтина, тхо дӀасатехкадолуьйту чагӀар малийна Ахь тхуна.</verse>
				<verse number="6">Хьайга ларамах буьзначарна Ахьа байракх хьалаайина, уьш Ӏодах кӀелхьарбовлийтархьама.</verse>
				<verse number="7">Хьайн аьтту куьйгаца тхо кӀелхьар а дахахьа, оха деш долу доӀанаш дӀа а хазахьа, Хьайна безнарш паргӀатбовлийтархьама.</verse>
				<verse number="8">Дала Шен езачу меттехь аьлла: «Толамах воккха а веш, Аса Шехем-гӀала а йоькъур ю, Сакхат-тогӀи а дӀасайоькъур ю.</verse>
				<verse number="9">ГалӀад-мохк а Сан бу, Маннаш-мохк а Сан бу, Эпрайм-мохк Сан коьртан чӀагӀо ю, ЯхӀуд-мохк — Сан паччахьаллин гӀаж ю.</verse>
				<verse number="10">Муаби-мохк — Сан юьхь-куьгдуьлург ю. Эдом-махкана тӀе Сайн мача кхуссур ю Ас, иза Сайн хилар дӀагайтархьама. Хьайн аз айадай, Соьга кхайкха, ПӀелаштам-мохк!»</verse>
				<verse number="11">ЧӀагӀйинчу гӀали чу хьан воккхур ву со? Эдом-махкана тӀе хьан вуьгур ву со?</verse>
				<verse number="12">Тхо дӀатеснарг Хьо-м вац те, ва Дела? Тхан эскаршца аравер вац те Хьо, ва Дела?</verse>
				<verse number="13">ГӀо дехьа тхуна мостагӀех тхаьш лардайта, хӀунда аьлча пайден дац адамашкара хуьлуш долу гӀо.</verse>
				<verse number="14">Делаца цхьаьна оха толам боккхур бу, тхан мостагӀий Цо дӀахьошур бу.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="60">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: хӀара Даудан назма дечиг-пондаршца ала езаш ю.</verse>
				<verse number="2">ДӀахазахьа, ва Дела, сан деган тийжам, бехьа, сан Дела, сан доӀанан тергам.</verse>
				<verse number="3">Кхайкхам бо ас Хьоьга кху лаьттан йистера сайн эшначу дагца. Сол лекха йолчу тарха тӀе а ваккхий, дӀахӀоттавехьа со хӀинца,</verse>
				<verse number="4">со къайлавоккхург а Хьо волу дела, сан мостагӀашна дуьхьал онда бӀов санна а Хьо волу дела.</verse>
				<verse number="5">Вехийла со даим а Хьан цӀа чохь, къайлаволийла со Хьан тӀемаш кӀел.</verse>
				<verse number="6">Сан Веза Эла, ас йина чӀагӀо дӀахезна Хьуна. Хьох кхоьруш болчарна догӀучу шеретах дакъа суна а делла Ахьа.</verse>
				<verse number="7">Паччахьан денош Ахь, Веза Эла, дахдехьа, тӀаьхьенашкара тӀаьхьене шераш а дахдехьа.</verse>
				<verse number="8">Хуьлийла и Хьоьца массо а ханна. Ларвойла Ахь иза Хьайн хедар боцучу безамца а, тешаме хиларца а.</verse>
				<verse number="9">Эр ду ас даим Хьох лаьцна илли, кхочушъеш даим айса йина чӀагӀо.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="61">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Ядутуне. Даудан назма.</verse>
				<verse number="2">Сан синан синтем Делаца бен ца хуьлу. Сан кӀелхьарвалар Цуьнгара ду.</verse>
				<verse number="3">Иза цхьаъ ю сан тарх а, сан кӀелхьарвалар а. Иза ю сан гӀап, со кхин меттахвер вац.</verse>
				<verse number="4">Мел бийр бу те аша стагана ницкъ? Шу дерриш а иза хӀаллакван гӀерта. Иза сеттина пен санна ву, охьаяха гергга йолу йоьхна керт санна ву.</verse>
				<verse number="5">Иза лаккхара охьатаса дагадеана царна, харцдерг дуьйцу цара. Багахь иза декъалво, ткъа дегнаш чохь цунна неӀалташ кхайкхадо цара.</verse>
				<verse number="6">Сан са, Делера цхьаьнгара леха хьайна синтем! Сан дегайовхо Иза бен яц.</verse>
				<verse number="7">Иза цхьаъ ю сан тарх а, сан кӀелхьарвалар а. Иза ю сан гӀап, со кхин меттахвер вац.</verse>
				<verse number="8">Сан кӀелхьарвалар Делах дозуш ду, сан сий а Цунах дозуш ду. Сан нуьцкъала тарх а Иза ю, суна дӀалачкъа меттиг а Иза ю.</verse>
				<verse number="9">Халкъ! Муьлххачу хенахь а Цунах тешна хила. Шайн дегнаш Цунна хьалха делхаде. Дела ву вайна дӀалачкъа меттиг.</verse>
				<verse number="10">КӀезиг берш доӀу са бен бац. ЦӀеяхна берш хӀумма а доцург бен бац. Терзанна тӀедехкича, церан барам бац. Уьш доӀучу синан барамехь бен дац.</verse>
				<verse number="11">ГӀело еш даьккхинчух тешна а ма Ӏе, шаьш лачкъийна даьккхинчух дозаллаш а ма де. Хьал алсамдуьйлуш делахь а, шайн дегнаш цунна дӀа а ма ло.</verse>
				<verse number="12">Кест-кеста Дала олура, ткъа суна иза дукхазза а хезара: ницкъ а, ва Дела, Хьоьгахь бу,</verse>
				<verse number="13">безам а, Хьалдолу Эла, Хьан бу. Ша-ша динчу гӀуллакхашка хьаьжжина, Хьо хӀоранна а доггӀург дӀалуш ву.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="62">
				<verse number="1">ЯхӀуд-махкарчу яьссачу аренгахь ша волуш Дауда аьлла йолу назма.</verse>
				<verse number="2">Дела! Хьо сан Дела ма ву! Сан даго Хьо даим а лоьху! Хьоьга сатуьйсуш ду суна чуьра са а. Кху даьссачу, дакъаделлачу, хине сатуьйсучу лаьтто санна, Хьоьга сатуьйсу ас.</verse>
				<verse number="3">Хьан дезачу цӀа чу хьоьжура со, Хьан нуьцкъалалла а, сийлалла а гархьама.</verse>
				<verse number="4">Хьан безам а, дикалла а дахарал гӀоле ду. Хьо хестош, бага юьззина ас илли эр ма ду.</verse>
				<verse number="5">Дуьнен чохь со мел веха, Хьо аса хестор ву. Хьоьга доӀанаш а деш, куьйгаш хьалакхийдор ду.</verse>
				<verse number="6">Токх кхачано санна, сан са Ахь дузу. Сайн айдинчу озаца Хьуна ас хастам бо.</verse>
				<verse number="7">Хьох лаьцна ойла йо ас буьйсанан дакъошкахь, Хьо дага оьху суна вижинчу хенахь!</verse>
				<verse number="8">Суна гӀо а Хьоьгара ду, Хьан тӀемийн ӀиндагӀехь со воккхавеш хир ву.</verse>
				<verse number="9">Сан са а безамца Хьох дӀа ма хьерча. ГӀо деш, со дӀалоцу Хьан аьтту куьйго.</verse>
				<verse number="10">Сан валар лоьхуш берш лаьттан буха кхочур бу.</verse>
				<verse number="11">Нуьцкъалчу таррашца эшийна уьш хир бу. ЧангӀалкхийн ижу хилла, уьш дӀахӀуьттур ма бу.</verse>
				<verse number="12">Ткъа паччахь а воккхавийр ву Дала шена деллачух. Хастамах вузур ву хӀора Делах дуй буург а, хӀунда аьлча мотт сецна буьсур бу харц мел луьйраш а.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="63">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.</verse>
				<verse number="2">Ва Дела, ас латкъам бечу хенахь, сан аз дӀахазахьа, мостагӀчуьнгахьара суна болчу кхерамах сан дахар лардехьа.</verse>
				<verse number="3">Вониг лелош болчеран ойланех а, зулам дечеран тобанех а со дӀахьулвехьа.</verse>
				<verse number="4">Цара шайн меттанаш, тарраш санна, ирдо, ткъа шайн дешнаш, дӀаьвше пхерчий санна, тӀекхуьссу.</verse>
				<verse number="5">Шайн кӀелонера цара и пхерчий бехке воцчунна тӀе кхуьссу. ХӀуманах а ца кхоьруш, цара цӀеххьана цунна тӀе уьш кхуьссу.</verse>
				<verse number="6">Шайн зуламечу ойланашкахь цара вовшийн чӀагӀбо. «Иза-м хьанна гур бара?» — бохуш, шаьш кечбина гур къайлабаккха цара барт бо.</verse>
				<verse number="7">Мекара ойланаш а еш, цара олу: «Говза хьесап дина оха». Адаман кийрахь а, дага чохь а дерг къайлаха ма ду!</verse>
				<verse number="8">Амма Дала царна тӀе пхерчий кхуьссу. Уьш цӀеххьана дӀа а лоцур бу.</verse>
				<verse number="9">Цара шайн меттанашца шаьш хӀаллакбийр бу. Уьш гуш мел волчо кхардамца кортош лестор ду.</verse>
				<verse number="10">Массо а адам кхералур ду, цара Делан гӀуллакх кхайкхор ду, Цо динчух лаьцна ойланаш йийр ю.</verse>
				<verse number="11">Делан лаамехь верг самукъадаьлла хир ву, ша Везачу Элаца цхьаьна хиларна. Цо Везачу Эле ша ларвойтур ву. ДогцӀена болчу массара а Цунна хастамаш бийр бу.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="64">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. Йиш.</verse>
				<verse number="2">Цийон-ломахь Хьуна хастам бан хьакъ ма ду, Дела, Хьуна дина нигаташ кхочушдина хир ма ду.</verse>
				<verse number="3">Тхан доӀанаш Хьуна дӀахеза. Муьлхха а адам Хьуна тӀе догӀу.</verse>
				<verse number="4">Къилахь долчу гӀуллакхаша гӀелвина со, ткъа Ахь тхан зуламашна гечдо.</verse>
				<verse number="5">Декъала ву Ахь хаьржинарг, Хьайн керташкахь Ӏайта Хьайна тӀеозийнарг! Тхо Ӏаьбна хир ду Хьан цӀийнан диканах, Хьо Ӏаш йолчу меттиган еза хиларх дузур ду тхо.</verse>
				<verse number="6">Тхо кӀелхьардохург волу Дела, Хьо жоп луш ву тхуна ларамах дузуьйтуш долчу паргӀатдахаран гӀуллакхаш дарца. Лаьттан массо а маьӀӀехь болчеран а, генарчу хӀордашца болчеран а сатуьйсийла а Хьо ву.</verse>
				<verse number="7">Хьайн ницкъаца Ахь лаьмнаш дӀахӀиттадо, Хьайн гӀодаюккъехь гӀора а Ахь латтадо.</verse>
				<verse number="8">ХӀордийн а, церан тулгӀенийн гӀовгӀа а, халкъийн карзахдалар а дӀасацош верг а Хьо ву.</verse>
				<verse number="9">Лаьттан йистошкахь бехаш берш Хьан тамашийнчу билгалонашка ларамах буьзна бу. Малхбалехь а, малхбузехь а бехаш болчаьрга Хьайна хастамаш бойту Ахьа.</verse>
				<verse number="10">Ахь латта Ӏалаш а до, цунна хи а латтадо, иза токхе а хуьлуьйту Ахь, тӀехъюьзна йолу хин Ӏовраш а луш. Ахь адамашна ялта кхуьуьйту, Айхьа латта оцу гӀуллакхна кхоьллина дела.</verse>
				<verse number="11">Ахь лаьттан хершнаш хих а дузу, гӀорзанаш дӀа а шарйо, догӀанан тӀадамашца латта кӀад а до, цу тӀехь мел яьлла хӀума декъал а йо.</verse>
				<verse number="12">Ахь шарна а, коьрта тӀе таж санна, беркат кховдадо, Хьан лараш а токхонах юьзна ю.</verse>
				<verse number="13">Ахь яьссачу аренашкахь дежийлаш а ло, гунаш хазахетарх а дузу.</verse>
				<verse number="14">Сийначу дежийлашкахь жаш ду дежаш. ТогӀешкахь ялта ду кхуьуш, даккхийдерца эшарш а лоькхуш.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="65">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: назма. Аз айдина кхайкхалахь Деле, дерриг а дуьне.</verse>
				<verse number="2">Цуьнан цӀеран сийлаллина йиш лакха, Цуьнан сийдеш, Цунна хастамаш бе.</verse>
				<verse number="3">Ала Деле: «Айхьа дийриг мел ларамах дузуьйтуш ду! Хьан алссам болу ницкъ бахьанехь Хьан мостагӀий а Хьуна хьалха текха.</verse>
				<verse number="4">Хьуна хьалха дерриг дуьне а охьатаьӀа, цо Хьуна эшарш а лоькху. Хьан цӀарна эшарш лоькху цо!»</verse>
				<verse number="5">Схьа а дуьйлий, хьовсийша, Дала дечу гӀуллакхашка. Адамийн дуьхьа Цо дийриг мел ларамах дузуьйтуш ду.</verse>
				<verse number="6">Цо хӀорд а лакъийра, латта декъа а хилийтира. Тхан дай, Йордан-хи а лекъна, декъачу лаьтта тӀехула гӀаш дехьабевлира. Цигахь Цунна даккхийдеш хуьлийла тхо!</verse>
				<verse number="7">Шен нуьцкъалаллица Цо гуттара а олалла до. Цуьнан бӀаьргаш халкъашна тӀедерзийна ду. Аьрха нах Цунна дуьхьал ма гӀовттийла!</verse>
				<verse number="8">Халкъаш, аша вайн Далла хастам бе, Цунна бечу хастаман аз дӀахозийла.</verse>
				<verse number="9">Цо вайн синош а дийна дитина, вайн когаш а бега ца байтина.</verse>
				<verse number="10">Веза Дела, Ахь зийна тхо, цӀергахь лала а деш, цӀандо дети санна, цӀан ма дина Ахь тхо.</verse>
				<verse number="11">Ахь тхо гуре лацийтира, тхан ги деза маххьаш дехкира.</verse>
				<verse number="12">Ахь тхан кортош тӀехула мостагӀа ластавайтира. ЦӀерах а, хих а тхо чекхдевлира, ткъа Ахь тхо маьршачу метте арадехира.</verse>
				<verse number="13">Дийнаташ дагоран сагӀанаш дахьаш, со Хьан цӀийнан керта вер ву, Хьуна айса дина нигаташ а ас кхочушдийр ду.</verse>
				<verse number="14">И нигаташ ас дина, со холчу хӀоьттича, сан багара уьш девлира, со вистхилча.</verse>
				<verse number="15">Хьуна сагӀина ас дерстина дийнаташ дахьар ду, койн мохь а ягор ю. СагӀина ас стерчий а, бежалой а яхьар ю.</verse>
				<verse number="16">Схьа а дуьйлий, ладогӀийша, Далла хьалха ларамах дуьзначу массара а, Цо сан дуьхьа мел динарг дуьйцур ду ас шуна.</verse>
				<verse number="17">Сайн багахула кхайкхира со Цуьнга, сайн маттаца лакхаваьккхира ас Иза.</verse>
				<verse number="18">Сайн даг чохь ас къа латтийнехьара, Хьалдолчу Элана со дӀахезар вацара.</verse>
				<verse number="19">Ткъа Далла со дӀахезира, сан доӀан озан Цо тидам бира.</verse>
				<verse number="20">Хастам бу сан доӀа дӀа ца теттина волчу а, Шен безам сох дӀа ца къастийна волчу а Далла.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="66">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: хӀара йиш, хӀара назма, мерз-пондаршца лакха езаш ю.</verse>
				<verse number="2">Дела вайца къинхетаме хуьлийла, Цо вай декъал а дойла, Цо Шен юьхь тӀера серло вайна лепайойла,</verse>
				<verse number="3">кху лаьттарчу адамашна Хьан некъ бовзийтархьама а, массо а халкъашна Хьоьгара долу кӀелхьардовлар довзийтархьама а.</verse>
				<verse number="4">Ва Дела, хастамаш бойла Хьуна халкъаша. Хастамаш бойла Хьуна массо а халкъаша.</verse>
				<verse number="5">Самукъа а долийла, хазахетар а хуьлийла къаьмнийн, хӀунда аьлча Ахь халкъашна тӀехь нийсонца кхел а йо, лаьттарчу къаьмнашна тӀехь урхалла а до.</verse>
				<verse number="6">Веза Дела, хастамаш бойла Хьуна халкъаша. Хастамаш бойла Хьуна массо а халкъаша.</verse>
				<verse number="7">Лаьтто шен стом белла. Вайн Дела волчу Дала вай декъалдо.</verse>
				<verse number="8">Дала вай декъалдо, лаьттара массо а маьӀӀера адам Цуьнга болчу ларамах дуьзна хилийтархьама.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="67">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: хӀара назма Даудан илли ду.</verse>
				<verse number="2">Дуьхьалволийла Дела Шен мостагӀашна, хӀаллакьхуьлийла Цуьнан мостагӀий. ДӀауьдийла Далла хьалхара Иза цавезарш.</verse>
				<verse number="3">Мохо дӀасабаржош болу кӀур санна, дӀасабаржабойла Ахьа уьш. ЦӀеро башош болу балоз санна, хӀаллакьхуьлийла Делан лаамехь боцурш.</verse>
				<verse number="4">Ткъа Делан лаамехь берш самукъадаьлла хуьлийла. Далла хьалх дог айаделла а, баккхийбеш а хуьлийла уьш.</verse>
				<verse number="5">Алалаш иллеш Далла! Алалаш иллеш Цуьнан цӀарна! Вазвелаш мархашкахь Лелаш верг! Цуьнан цӀе Веза Эла ма ю. Самукъане хуьлийла шу Цунна хьалх!</verse>
				<verse number="6">Байлахь бисинчеран Да а волу, бисина Ӏачу зударшкахьа ГӀодоккхург а волу Дела ву Ша къастийна долчу Шен дезачу цӀа чохь.</verse>
				<verse number="7">Цхьа бисинарш а Дала хӀусамаш чу дӀатарбо. Тутмакхаш а Дала буржалех паргӀатбоху. Ткъа Цунна муьтӀахь боцурш яьссачу екъачу арахь ма буьсу.</verse>
				<verse number="8">Ва Дела! Хьо Хьайн халкъана хьалхаваьлла воьдучу хенахь, яьссачу арахь Хьо волавелла воьдучу хенахь,</verse>
				<verse number="9">Латта а дегадора, стигалш а ешара, Синай-ламанан Далла хьалх, Исраилан халкъан Далла хьалх.</verse>
				<verse number="10">Беркате догӀа доуьйтура Ахь, Дела, Хьайн долахь долу латта ницкъ боцуш дисича, иза юха а чӀагӀ а деш.</verse>
				<verse number="11">Цу лаьттахь Хьан халкъ дехаш дӀахӀоьттира, Хьайн диканца мискачунна оьшург латтийра Ахь, Дела.</verse>
				<verse number="12">Хьалдолу Эла хаам беш вистхилира, ткъа и хаам дӀасабаржош болу зударий дуккха а бара.</verse>
				<verse number="13">«МостагӀчун эскарш а, паччахьаш а дӀасауьдуш ма бу». Ткъа цӀахь бисина зударий еана хӀонс йоькъуш ма бу:</verse>
				<verse number="14">тӀемаш дети диллина а, месаш деши диллина а долу и кхокхий. (Шу, божарий, гӀотанаш юкъахь хиъна хӀунда дисина?)</verse>
				<verse number="15">Нуьцкъалчу Дала кху лаьттахь паччахьаш дӀасабаржийча, Ӏаьржачу Цалмун-лам тӀе кӀайн ло диллича санна хеталора.</verse>
				<verse number="16">Башан-лам — сийлахь лам ма бу! Дукха лекха баххьаш цунна тӀехь ма ду!</verse>
				<verse number="17">ХӀунда хьоьжу шу хьегарца, ва лекха лаьмнаш, Дала Шен бу аьлла къастийначу ломе? Вехар ву Веза Эла цу лам тӀехь даим.</verse>
				<verse number="18">Делан сийлахь гӀудалкхаш итт эзарал а алссам ю, эзарнаш а эзарнаш ю. Царна юккъера Веза Эла Синай-лома тӀера Шен дезачу цӀа чу воьссира.</verse>
				<verse number="19">Хьо хьала ма велира цу ламанан боххье, йийсарехь болчарна хьалха а хӀуттуш. Адамашкара Ахьа, Веза Эла, совгӀаташ тӀеийцира, ур-атталла Хьо вехачу шахьарна дуьхьалбевллачийн карара а.</verse>
				<verse number="20">Декъала ву Хьалдолу Эла, дахаран мохь денна а тхан метта лелош волу а, тхо кӀелхьардоху Дела волу а.</verse>
				<verse number="21">Вайн Дела — кӀелхьардоху Дела ву. Хьалдолчу Элан карахь ду вайн Ӏожаллех довлар.</verse>
				<verse number="22">Дала Ша эгор ду мостагӀийн кортош а, харцонаш лелочийн юькъа месаш йолу хьеш а.</verse>
				<verse number="23">Везачу Эло ма аьлла: «Башанна тӀера мостагӀий Ас юхаберзор ма бу. ХӀорда бухара а Ас уьш схьабохур ма бу,</verse>
				<verse number="24">хьан жӀаьлеша мостагӀийн цӀий чу шайн меттанаш Ӏиттийтархьама а, хьоьга хьан когаш церан цӀийла бахкийтархьама а».</verse>
				<verse number="25">Гуш дара, Дела, Хьан сийлахь болар, сан паччахь волчу Делан Шен цӀа чу валар.</verse>
				<verse number="26">Хьалхабевлла боьлху эшарш лоькхурш а, царна тӀаьхьахӀиттина богӀу зурманчаш а. Ткъа юкъарчу могӀарехь, вотанаш а етташ, мехкарий а ма бу.</verse>
				<verse number="27">Декъалвелаш Дела тукхамийн гуламехь, вазвелаш Веза Эла, аша, Исраилан хӀух долчара.</verse>
				<verse number="28">Хьалхадаьлла догӀу Бен-Яманан жима тайпа. ЯхӀудхойн элий а богӀу шайн йоккхачу тобанца. Забулхойн элий а бу напталхойн элашца.</verse>
				<verse number="29">Ва Дела, омра дехьа Хьайн ницкъаца. Гайтахьа Хьайн ницкъ, Ахьа хьалха ма-гайттара,</verse>
				<verse number="30">Ярушалаймехь долчу Хьайн цӀийнехь. Цу чу Хьуна лерина совгӀаташ дахьар ду паччахьаша.</verse>
				<verse number="31">ДӀатедехьа Ахьа Мисаран халкъ, эрзана юкъарчу экханах тераниг, эсий санна долчу халкъашна юкъахь стерчийн бажа санна долу, шен долахь долчу деших тамаш бийриг. Цара, кортош охьа а таӀийна, Хьуна шайн дато гӀорзанаш йохьийла. ДӀасатийсахьа Ахь тӀом безаш долу халкъаш.</verse>
				<verse number="32">Мисар-махкара богӀур бу векалш. Кхийдор ду Хьоьга, Дела, хушахоша шайн куьйгаш.</verse>
				<verse number="33">Лаьттарчу пачхьалкхаша Далла ала иллеш. Вазве Хьалдолу Эла шайн иллешца!</verse>
				<verse number="34">Вазве аш дуьне кхуллуш дуьйна стигалшкахь Леларг. Нуьцкъалчу озаца стигал къекъош къамел до Цо.</verse>
				<verse number="35">Делан ницкъ хилар къобалделаш! Исраилан халкъана тӀехь ю Цуьнан возалла. Мархашна тӀехь ю Цуьнан нуьцкъалалла.</verse>
				<verse number="36">Дела, кхераме ву Хьо Хьайн цӀа чуьра Хьо вогӀучу хенахь. Исраилан халкъан Дела! Ахь ло Хьайн халкъана ницкъ а, чӀагӀо а. Декъала ву Хьо, Дела!</verse>
			</chapter>
			<chapter number="68">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «Шушаним» олучу мукъамехь ала езаш йолу Даудан назма ю хӀара.</verse>
				<verse number="2">Ва Дела, кӀелхьарваккхахьа со, хӀунда аьлча сан логге кхаьчна-кх хиш.</verse>
				<verse number="3">КӀоргачу уьшал чохь висна со, тӀе ког хӀотто меттиг а яц суна. Хийн кӀоргене чуваьлла со, цуьнан чехка дахаро дӀавуьгу со.</verse>
				<verse number="4">Орцанаш дукха дахарна ца мегачу ваьлла со, къамкъарг якъаелла сан. Сайн Деле ладегӀарна, бӀаьргаш гӀелделла сан.</verse>
				<verse number="5">Ца веза бахьана доцуш, со ца везарш сан коьртарчу месел а дукха бу. Харц бахьанашца сан мостагӀий нуьцкъала бу, ткъа уьш со хӀаллакван гӀерташ бу. Аса шайгара къола деш яьккхина йоцург, шайна схьало бохуш, цара со хьийзаво.</verse>
				<verse number="6">Ва Дела! Хьуна евза сан сонталла а, сан къинош а Хьох къайла ца девлла!</verse>
				<verse number="7">Массо а ницкъийн Хьалдолу Эла, Хьоьга сатийсар долчарна со бахьанехь эхье хӀума тӀе ма догӀийла. Исраилан халкъан Дела, Хьо лоьхуш лелаш берш соьгахула юьхьӀаьржачу ма хӀуьттийла.</verse>
				<verse number="8">Хьан дуьхьа лов аса сайна бо тӀехбеттамаш, дерриг а со, юьхьӀаьржачу а хӀуьттуш.</verse>
				<verse number="9">Сан вежаршна хийра хета со, сан ненан кӀенташна геннара хета со.</verse>
				<verse number="10">ХӀунда аьлча Хьан цӀийне болчу хьагамо вагош ву со, ткъа Хьо сийсазвочеран сийсаза дешнаш суна тӀе эгадо.</verse>
				<verse number="11">Велха а воьлхуш, ас марханаш кхобу, ткъа и бахьанехь со дола хета.</verse>
				<verse number="12">Сингаттаман духар сайна тӀе духу аса, ткъа цара сох лаьцна беламна кицанаш даладо.</verse>
				<verse number="13">ГӀалин кевнехь хиъна Ӏаш болчара сох лаьцна ца бешаш къамелаш до, чагӀар муьйлучара а, сох буьйлуш, со шайн эшаршна юкъавалаво.</verse>
				<verse number="14">Ткъа ас, Веза Эла, Хьоьга сайн доӀа до. Хьайна дика ду аьлла хеттачу хенахь, Хьайн боккха безам хиларна, Ахь билггал со кӀелхьарвоккхург хиларна, дӀахазахьа со.</verse>
				<verse number="15">Со кӀел ца висийтархьама, уьшал чуьра хьалаваккхахьа со. Соьга безам боцучех а, кӀоргачу хих а кӀелхьарваккхахьа со.</verse>
				<verse number="16">Чехка доьдучу хине со хьул а ма вайтахьа, кӀоргачу хине со дӀа а ма кхаллийтахьа, эхарта чу а вахийтина, иза суна тӀаьххье дӀа а ма къовлийтахьа.</verse>
				<verse number="17">Хьан безам дика болу дела, Веза Эла, со дӀахазахьа, Хьан боккхачу къинхетамалле хьаьжжина, соьгахьа схьаверзахьа.</verse>
				<verse number="18">Хьайн лай волчуьнгахьара Хьайн юьхь Ахь дӀа ма ерзаехьа. Сихха дӀахазахьа со, хӀунда аьлча со гӀайгӀанехь ма ву.</verse>
				<verse number="19">Сан синна гергахьа а волий, иза кӀелхьардаккхахьа. Сан мостагӀех со кӀелхьарваккхахьа.</verse>
				<verse number="20">Хьуна хаьа со емалвеш хилар а, сийсазвохуш хилар а, юьхьӀаьржачу хӀиттош хилар а. Сан берриг а мостагӀий Хьуна хьалха бу.</verse>
				<verse number="21">Со емалваро сан дог а дохийна, со холчу а хӀоттийнера. Аса сайх къинхетам бар лоьхура, амма иза бацара суна. Аса сайн догъоьцурш лоьхура, амма уьш ца карийра суна.</verse>
				<verse number="22">Сан кхачанца цара стим эбира суна, со хьогах волуш къонза малийра суна.</verse>
				<verse number="23">Шаьш дуучу тойнах дӀалоцу бой хуьлийла царна, цунах гур хуьлийла церан доттагӀашна.</verse>
				<verse number="24">Царна хӀумма а ца гайта, церан бӀаьргаш кхулийла. Церан баккъаш гуттаренна а ситтина хуьлийла.</verse>
				<verse number="25">Царна тӀе Хьайн дералла Ӏанаехьа. Хьан чӀогӀачу оьгӀазалло дӀалоцийла уьш.</verse>
				<verse number="26">Церан меттамотт а бассийна хуьлийла, церан четарш чохь цхьа а ма вехийла.</verse>
				<verse number="27">Ахь таӀзар диначарна тӀаьхьабевлла лелаш бу уьш. Ахь лазийначеран баланех лаьцна къамелаш деш бу уьш.</verse>
				<verse number="28">Церан массо а къинош дӀаяздехьа, Хьайн кӀелхьарбахаре уьш ма кхачийтахьа.</verse>
				<verse number="29">Дийна болчеран тептар тӀера церан цӀераш дӀайовлийла, Хьан лаамехь болчеран цӀерашца цхьаьна церан цӀераш ма язйойла.</verse>
				<verse number="30">Ткъа аса гӀело а хьоьгу, со баланехь а ву. Дела, Ахь со кӀелхьар а воккхийла, лар а войла.</verse>
				<verse number="31">Сайн Делан цӀеран сийлалла ас иллешкахь хастор ю, баркалла аларца ас Иза хьалавоккхур ву.</verse>
				<verse number="32">Иза Везачу Элана тамехь хир ду, сагӀина бахьачу старал а, маӀаш а, бергаш а йолчу старгӀанал а.</verse>
				<verse number="33">ГӀело хьегначарна иза гур ду, церан самукъадер ду. Дела лоьхуш дерш, шун дегнаш денлур ду.</verse>
				<verse number="34">ХӀунда аьлча Везачу Эло мискачаьрга ла а дугӀу, йийсарехь болу Шен нах Цо дӀа а ца тотту.</verse>
				<verse number="35">Хастамаш бойла Цунна стигалша а, лаьтто а, хӀордо а, цу чуьра дийна мел долчу хӀумано а.</verse>
				<verse number="36">Дала Цийон-лам кӀелхьарбоккхур бу. Цо ЯхӀуд-мехкан гӀаланаш юхаметтахӀиттор ю. Цигахь адам даха а хуур ду, и латта цара шайн дола а доккхур ду.</verse>
				<verse number="37">И мохк Цуьнан леш болчеран тӀаьхьенна кхочур бу, Цуьнан цӀе езаш берш цигахь баха ховшур бу.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="69">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. Дагалацийтаран доӀа.</verse>
				<verse number="2">Ва Дела, со кӀелхьарваккха сихо ехьа. Веза Эла, суна гӀоьнна тӀеван сихлохьа.</verse>
				<verse number="3">Сан синан хӀаллакьхилар лоьхурш эхь доьссина а, сийсазбаьхна а хуьлийла! Суна зулам хила луурш, юьхьӀаьржачу а хӀиттийна, юхаберзабойла!</verse>
				<verse number="4">Со емал а веш, соьга: «Жолам-яӀ!» — бохурш, шаьш юьхьӀаьржачу хӀиттарна, боьхна хьийзийла.</verse>
				<verse number="5">Хьо лоьхуш берш массо а Хьо бахьанехь хазахетта а, самукъадаьлла а хуьлийла! Шаьш Ахь кӀелхьардахар дезаш болчара саццаза: «Сийлахь ву Дела!» — олийла.</verse>
				<verse number="6">Со-м къен а, миска а ву. Дела, суна тӀе кхача сихлохьа! Хьо ву суна гӀо дийриг а, со паргӀатвоккхург а. Веза Эла, хье ма лохьа!</verse>
			</chapter>
			<chapter number="70">
				<verse number="1">	 Хьоьга, Веза Эла, со ларвойту аса, юьхьӀаьржачу ма хӀуттийла со цкъа а.</verse>
				<verse number="2">Хьо бакъ хиларна, кхерамах паргӀатваккхахьа со. Хьайн лергаш соьгахьа дерзадай, кӀелхьарваккхахьа со.</verse>
				<verse number="3">Муьлххачу а хенахь сан дӀалачкъа йиш йолу тарх санна хилахьа суна. Ахь дош делла со кӀелхьарваккха, цундела Хьо сан чӀагӀо а, гӀап а ю.</verse>
				<verse number="4">Сан Дела! Харцо лелочарах кӀелхьарваккхахьа со, къизачу а, ницкъ бечу а нахах ларвехьа со.</verse>
				<verse number="5">Хьо сан сатийсар ду, Хьалдолу Эла, жимачохь дуьйна дегайовхо ю.</verse>
				<verse number="6">Вичхьана а дагца Хьоьца чӀагӀвелла со. Ахь ненан кийрара схьаваьккхина со. Хьо ас гуттар а хестор ву.</verse>
				<verse number="7">Дукхахболчарна сан дахар тамашийна хета, хӀунда аьлча Хьо со нуьцкъала Ларвийриг ву.</verse>
				<verse number="8">Хьан сийлалла хӀора дийнахь хестайо ас, Хьан возаллех долу дош сан багахь даим ду.</verse>
				<verse number="9">Со, къанвелча, дӀа ма тасалахь, сан гӀора дӀадолучу хенахь со-со ма виталахь.</verse>
				<verse number="10">Сан мостагӀий суна луьйш бу, со вен ларвеш берш барт беш бу.</verse>
				<verse number="11">Цара боху: «Дала дӀатесна иза, тӀаьхьа а довлий, схьалаца иза, и кӀелхьарваккха цхьа а вац цуьнан».</verse>
				<verse number="12">Дела! Гена ма валахьа суна. Сан Дела! Сихха орцахвалахьа суна.</verse>
				<verse number="13">Сан синна дуьхьал мостагӀалла лелораш, эхь а хетта, дӀабовлийла, суна зулам лоьхуш берш юьхьӀаьржачу хӀиттийтахьа!</verse>
				<verse number="14">Гуттар а Хьох дегайовхо йолуш а, Хьуна лерина муьлхха а хастам алсамбоккхуш а хир ву со.</verse>
				<verse number="15">ХӀора дийнахь Хьан бакъдерг дуьйцуш, Ахь кӀелхьардахар кхайкхор ду ас, цуьнан барам суна ца хаахь а.</verse>
				<verse number="16">Сан Хьалдолчу Элах болу кхаъ бахьаш, вогӀур ву со, Хьан нийсо ас кхайкхор ю, Хьан цхьаннан нийсо.</verse>
				<verse number="17">Дела! Жима волуш дуьйна Ахь нийсачу новкъа ваьккхина со, Хьан тамашийначу хӀуманех лаьцна хӀинццалц схьадуьйцу ас.</verse>
				<verse number="18">Къанвелча а, къежвелча а, дӀа ма тасалахь со, Дела, кху тӀаьхьенна а, цул тӀаьхьа хин болчарна а ас Хьан ницкъах лаьцна дийццалц.</verse>
				<verse number="19">Хьан нийсо, Дела, стигалшка а кхочу, инзаре гӀуллакхаш дина Ахь. Дела, мила ву Хьоьга кхочуш?</verse>
				<verse number="20">Дукха а, луьра а халонаш гойтура Ахь суна, амма юха а со денвийр ву Ахь, лаьттан кийрара гӀаттор ву.</verse>
				<verse number="21">Со юха а тевийр ву Ахь, сан сийлалла алсам а доккхуш.</verse>
				<verse number="22">Дечиг-пондарца Хьо хастош, Хьо тешаме хилар дуьйцур ду ас, сан Дела. Мерз-пондарца Хьох лаьцна назманаш йохур ю, Исраилан Везаниг!</verse>
				<verse number="23">Ахь кӀелхьардаьккхина сан са доккхадеш ду, Хьуна хастам беш, сайн багахь ас мукъам бечу хенахь.</verse>
				<verse number="24">ХӀора дийнахь сан матто Хьан нийсо кхайкхор ю, хӀунда аьлча суна зулам лоьхуш берш юьхьӀаьржачу хӀиттийна Ахь, царна эхь а хетийтина Ахь.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="71">
				<verse number="1">Сулиман назма. Ва Дела! Паччахьна Ахьа йийриг санна кхел ян Ӏамадехьа, ткъа паччахьалла дечунна Хьайн нийсо лохьа.</verse>
				<verse number="2">Хьан адамашна тӀехь нийса паччахьалла дойла Цо, ур-атталла гӀело хьоьгучу Хьан нахана тӀехь бакъдолу олалла дойла Цо.</verse>
				<verse number="3">Лаьмнаша адамашна беркат дохьийла, гунаша царна нийсо йохьийла.</verse>
				<verse number="4">Халкъана юкъара гӀело хьоьгучарна цо нийсонца кхел а йойтийла, мискачун кӀентий цо кӀелхьар а бохийла, амма ницкъ бийраш цо дӀа а совцабойла.</verse>
				<verse number="5">Нах Хьуна хьалха ларамах буьзна хуьлийла, малх а, бутт а мел лаьтта, тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка.</verse>
				<verse number="6">Иза хуьлийла, буц хьаькхначу бай тӀе догӀу догӀа санна, лаьттана тӀуналла луш долу догӀанан тӀадамаш санна.</verse>
				<verse number="7">Цуьнан заманахь нийсо лаьттийла, бутт дӀабаллалц беркат хуьлийла.</verse>
				<verse number="8">ХӀорда тӀера хӀорда тӀе кхаччалц, Эпрат-хина тӀера лаьттан йисте кхаччалц цо паччахьалла дийр ду.</verse>
				<verse number="9">Яьссачу аренашкара бахархой цунна хьалха охьаоьгур бу, цуьнан мостагӀаша а лаьттана меттанаш хьоькхур ду.</verse>
				<verse number="10">Таршашан а, хӀордаца дозуш долчу мехкийн а паччахьаша цунна йолана хӀума яхьар ю. Шеба-мехкан а, Себа-мехкан а паччахьаша а цунна совгӀаташ дахьар ду.</verse>
				<verse number="11">Массо а паччахьаш цунна хьалха охьатеӀар бу. Массо а халкъаша цунна хьалхара гӀуллакх дийр ду.</verse>
				<verse number="12">ХӀунда аьлча орца доккхуш волу мисканиг цо паргӀатвоккхур ву, гӀо лаца цхьа а воцу гӀело хьоьгург а кӀелхьарвоккхур ву.</verse>
				<verse number="13">Иза гӀийлачуьнца а, пекъарца а къинхетаме хир ву, цо мискачеран синош кӀелхьардохур ду.</verse>
				<verse number="14">ГӀело ярх а, ницкъ барх а цо церан синош лардийр ду, цунна церан цӀий деза хетар ду.</verse>
				<verse number="15">Паччахь дукха вехийла! Шеба-махкара деши цунна лойла. Массо а хенахь цунна тӀера доӀанаш дойла. Дийнахь сарралц иза декъал а войла.</verse>
				<verse number="16">Лаьттахь кӀа шорта хуьлийла. Лаьмнийн лакхенашкахь иза дӀасалестийла. Цуьнан стоьмаш, Ливанунехь санна, дукха хуьлийла. ГӀалара адамаш, аренгара буц санна, дебийла.</verse>
				<verse number="17">Абаденналц цуьнан цӀе йиц ма лойла. Дуьненахь малх мел кхета иза цӀеяхана хуьлийла. Цуьнан цӀарах халкъаша вовшийн декъалдойла. Царна массарна а иза декъалвина хетийла.</verse>
				<verse number="18">Хастам бу Везачу Далла, Исраилан халкъан Далла! Веккъа Иза ву тамашийна гӀуллакхаш кхуллург.</verse>
				<verse number="19">Цуьнан сийлаллин цӀарна абаденналц хастам бойла. Цуьнан сийлаллех дерриг дуьне а дузийла. Амин! Амин!</verse>
				<verse number="20">Юшайн кӀентан Даудан доӀанаш чекхдевли.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="72">
				<verse number="1">Асайпан назма. Мел дика ву Дела Исраилан халкъаца, дог цӀена болчаьрца!</verse>
				<verse number="2">Амма сох лаьцна аьлча, сан ког шарша гергга бара, некъа тӀехь гӀулч а йоккхуш, галвала со гергга вара.</verse>
				<verse number="3">Ӏесачеран аьтто балар сайна гича, дозаллаш дечаьрга сан хьагӀ хуьлура.</verse>
				<verse number="4">Шаьш дӀакхалххалц цара баланаш а ца хьоьгу, церан догӀмаш могуш а хуьлу.</verse>
				<verse number="5">Адамийн гӀайгӀанашкахь цара дакъа а ца лоцу, кхиболчу наха санна, цара гӀело а ца хьоьгу.</verse>
				<verse number="6">Цундела, коча ухкучу туьтеша санна, куралло дӀалаьцна уьш, тӀедухучу духаро санна, къизалло дӀахьулбина уьш.</verse>
				<verse number="7">Берстина хьера а бевлла, къинош летадо цара, церан дегнаш чохь йолу ойланаш мекара ю.</verse>
				<verse number="8">Кхардамца кхечарах лаьцна вон къамелаш до цара. Дозаллаш дарца нахана гӀело яран ойланаш йо цара.</verse>
				<verse number="9">Цара шайн баганаш стигалшка хьала а йохуьйту, церан меттанаш лаьттахула дӀаса а даьржа.</verse>
				<verse number="10">Цундела цара дечунна тӀедоьрзу Цуьнан халкъ а, цара лелочух кхоччуш ша дуза а деш.</verse>
				<verse number="11">Цо олу: «Далла и муха хуур ду? Веза Воккхачунна иза хуийла а дуй те?»</verse>
				<verse number="12">Иштта бу и Ӏесанаш! Цхьана а хӀуманан гӀайгӀа ца ешшехь, церан хьал алсамдолу.</verse>
				<verse number="13">Ас сайн дагахь элира: «ТӀаккха аса сайн дог цӀандар а, сайн куьг цӀена леладар а эрна хилла те?</verse>
				<verse number="14">Дийнахь сарралц соьга Ӏазап а хьоьгуьйту, хӀора Ӏуьйранна суна таӀзарш а дойту».</verse>
				<verse number="15">Ткъа: «Ас цу тайпана къамел дийр ду», — ас аьллехьара, Хьан берийн тӀаьхьенна хьалха со бехке хир вара.</verse>
				<verse number="16">Ас ойла йора, со цунах муха кхетар вара те бохуш. Амма суна цунах кхета хала дара,</verse>
				<verse number="17">Делан цӀийнан керта а вахана, Ӏесачеран кхолламах со кхетталц.</verse>
				<verse number="18">Бакъду, ког шершачу меттиге дӀа а хӀиттийна, Ахь уьш тӀепаза бойуьйтур бу.</verse>
				<verse number="19">Ма сиха хӀаллакьхуьлу уьш, къемат тӀедарца чекхбовлу уьш.</verse>
				<verse number="20">Самабевлча, дӀадовш долу гӀан санна хуьлу уьш, Хьалдолу Эла. Сама а ваьлла, царах хилларг а дицдийр ма ду Ахь.</verse>
				<verse number="21">Сан дог гӀайгӀане хиллачу хенахь, сан са карзахдаьллачу хенахь,</verse>
				<verse number="22">сонта а вара, кхеташ а вацара со. Хьуна хьалха бежана санна вара со.</verse>
				<verse number="23">Амма гуттара а Хьоьца ву со. Ахь аьтту куьйга дӀалоцу со.</verse>
				<verse number="24">Хьайн хьехарца дахарехь дӀанисво Ахь со, цул тӀаьхьа Хьайн сийлалле дӀаоьцур ву Ахь со.</verse>
				<verse number="25">Хьо воцург мила ву суна стигалахь? Хьо воцург цхьа а ца оьшу лаьттахь.</verse>
				<verse number="26">Сан дегӀ а, сан дог а ца мегачу даьллехь а, Дела — сан деган чӀагӀо а ю, абаденналц сан дакъа а ду.</verse>
				<verse number="27">ХӀунда аьлча шаьш Хьуна гена бохурш хӀаллакьхуьлу. Хьайна тешаме воцу хӀорра а Ахь хӀаллакво.</verse>
				<verse number="28">Ткъа сох лаьцна аьлча, суна-м дика ду Далла гергахь хилар. Со ларваран меттиг йира ас Хьалдолчу Элах. Хьан дерриг а гӀуллакхаш ас дӀакхайкхор ду.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="73">
				<verse number="1">Асайпан хьехаме назма. Ва Дела, тхо гуттаренна а дӀа хӀунда тесна те Ахь? Хьайн жа санна долчу тхуна дар хӀунда велла те Хьо?</verse>
				<verse number="2">Айхьа ширачу заманахь дуьйна дола даьккхина Хьайн халкъ, мах белла паргӀатдаьккхина Хьайн тукхам дагадаийтахьа! Хьо тӀехь Ӏаш хилла болу Цийон-лам дагабаийтахьа!</verse>
				<verse number="3">Хьайн когаш гуттаренна а Ӏохкучу саьлнашна тӀеберзабехьа. МостагӀчо Хьан дезачу цӀа чуьра дерриг хӀума а дохийна дӀадаьккхина.</verse>
				<verse number="4">Хьо тхуна дуьхьалкхетачу меттигехь Хьан мостагӀаша гӀигӀ дора. Тхан байракхийн метта шайн байракхаш дӀахӀиттийна цара.</verse>
				<verse number="5">Боьлакан дитташна диг тӀедерзош болчех шаьш тера хилар гойтура цара.</verse>
				<verse number="6">Ткъа хӀинца, куц а далош, дечиг хьокхуш мел йина хӀума шайн дагаршца а, жӀаьвнашца а йохийна цара.</verse>
				<verse number="7">Хьан деза цӀа дерриг а дагийна цара. Хьан цӀе шена чохь йолу меттиг сийсазъяьккхина бевлла уьш.</verse>
				<verse number="8">Шайн дегнаш чохь: «Уьш-м бохийна дӀабохур бара вай», — бохуш, — лаьттара Делан гуламаш дӀахӀуьтту ерриге а меттигаш ягийна цара.</verse>
				<verse number="9">Тамашийна билгалонаш ца го тхуна, пайхамар а вац тхан хӀинца, хӀара хьал мел лаьттар ду хууш волу стаг а вац тхоьца.</verse>
				<verse number="10">Веза Дела, мел лаьттар ву те мостагӀа, Хьо емалвеш? Гуттара-м хир яц те мостагӀчо Хьан цӀе сийсазйохуш?</verse>
				<verse number="11">Хьайн куьг — Хьайн аьтту куьг — сеца хӀунда до те Ахь? Хьайн духаран хоршана юккъера иза схьатохий, хӀаллакбехьа уьш.</verse>
				<verse number="12">Амма Хьо, Дела, ширачу заманара дуьйна сан Паччахь ву, лаьттахь кӀелхьарвалар дахьаш верг Хьо ма ву!</verse>
				<verse number="13">Хьайн ницкъаца хӀорд а дӀасабекъабалийтира Ахь, хи чуьра саьрмикийн кортош а кегдира Ахь.</verse>
				<verse number="14">Левиятан цӀе йолчу хӀордан саьрмикан кортош Ахь хьаьшира, цуьнан дегӀ яьссачу аренгарчу акхарошна юучунна дӀаделира.</verse>
				<verse number="15">Хьостанаш а, татолаш а дӀаэхийтира Ахь. Саццаза дӀаихна хиш а лакъийра Ахь.</verse>
				<verse number="16">Де а Хьан ду, буьйса а Хьан ю. Стигалара серлонаш а, малх а Ахь дӀахӀоттийна.</verse>
				<verse number="17">Лаьттан массо а дозанаш Ахь дӀахӀиттийна. Аьхке а, Ӏа а Ахь дӀакъастийна.</verse>
				<verse number="18">Дагадаийтахьа Хьайна мостагӀа Хьайх кхардар, Веза Эла, сонтачу цу халкъо Хьан цӀе сийсазъяхар.</verse>
				<verse number="19">Хьайн къоркхокханан са акхаройн кара дӀа ма лохьа. ГӀело хьоьгуш долчу Хьайн халкъан дахар гуттаренна а диц ма дехьа.</verse>
				<verse number="20">Хьажахьа Айхьа бинчу барте, хӀунда аьлча лаьттара ерриге а бодане меттигаш ницкъ баран меттигех юьзна.</verse>
				<verse number="21">Ницкъ хилларг, юьхьӀаьржачу а хӀоьттина, юха ма воьрзийла. ГӀело хьоьгучо а, мискачо а Хьан цӀарна хастамаш бойла.</verse>
				<verse number="22">Ва Дела, дуьхьал а валий, Хьайн гӀуллакх лардехьа, сонтачо дийнахь сарралц Хьо емалвар дагадаийтахьа.</verse>
				<verse number="23">Диц ма дехьа Хьан мостагӀаша хьекхна маьхьарий а, Хьуна дуьхьалбевллачара хаддаза еш йолу гӀовгӀа а.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="74">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «ХӀаллак ма ве со» олучу мукъамехь ала езаш ю. Асайпан назма.</verse>
				<verse number="2">Хастам бо оха Хьуна, Дела. Хьан цӀе уллохь хиларна Хьуна хастам бо. Адамаша Хьан тамашийначу гӀуллакхех лаьцна дуьйцу.</verse>
				<verse number="3">Ахьа боху: «Хан билгал а яьккхина, Ас нийсонца йолу кхел хоржур ю.</verse>
				<verse number="4">Латта дӀасалесташ хилча а, цунна тӀехь мел бехаш берш кхерамехь хилча а, цуьнан бӀогӀамаш чӀагӀдийриг Со ма ву.</verse>
				<verse number="5">Курабевллачаьрга Ас боху: „Кура ма дийла“, ткъа Ӏесачаьрга: „Шайн ницкъах дозалла ма де,</verse>
				<verse number="6">стигална дуьхьал шайн ницкъах дозалла ма де, кура корта а айина, деза детташ ма дийца“».</verse>
				<verse number="7">ХӀунда аьлча малхбалера а, малхбузера схьа а, я яьссачу аренгара схьа а дац стеган лекха хилар,</verse>
				<verse number="8">амма Дела ву Кхелахо: Цо цхьаъ охьатаӀаво, ткъа важа лакхавоккху.</verse>
				<verse number="9">Везачу Элан карахь цхьа кад бу, иза бецаш тоьхна кхехкаш болчу чагӀарх буьзна бу. Лаьттан массо а Ӏесачарна Цо оцу кеда чуьра Ӏанадо, ткъа цара бухахь йолчу букъаршца цхьаьна дӀамер ду и чагӀар.</verse>
				<verse number="10">Аса-м Дала мел дийриг даим дуьйцур ду. Якъубан Далла Аса хастамаш бийр бу.</verse>
				<verse number="11">Ӏесачеран ницкъ Цо дӀабоккхур бу, амма Цуьнан лаамехь болчеран ницкъ чӀагӀбийр бу.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="75">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: мерз-пондаршца лакха езаш ю. Асайпан назма.</verse>
				<verse number="2">ЯхӀудан халкъана юкъахь Дела вевзаш ву, Цуьнан цӀе исраилхошна юкъахь лоруш ю.</verse>
				<verse number="3">Цуьнан четар Шалейм-гӀалахь ду, Иза Ӏаш волу меттиг Цийон-лам тӀехь ю.</verse>
				<verse number="4">Цигахь кегдина Цо стелахаьштиг санна долу пхерчий а, турсаш а, тарраш а, иштта берриг а тӀеман гӀирс а бохийна.</verse>
				<verse number="5">Серлонехь а лепаш, Хьайн паччахьалла гойтуш ву, тӀехь ижу Ахь яьккхинчу лаьмнашкара Хьо вуссуш ву.</verse>
				<verse number="6">Майра мостагӀий хӀонс яьккхина богӀу, Ӏожаллин наб кхетта уьш Ӏохкуш бу. Массо а оцу тӀемалошка шайн куьйгаш тӀом бан хьала ца айало.</verse>
				<verse number="7">Хьан оьгӀазе аз дӀахезча, ва Якъубан Дела, говраш а, церан дошлой а, Ӏадийна, белла.</verse>
				<verse number="8">Массо а нах Хьох кхоьруш латта беза, Дела. Хьуна хьалха мила латталур ву, Хьо оьгӀазвахча.</verse>
				<verse number="9">Стигалара схьа кхел кхайкхийна Ахьа. Латта, кхераделла, дӀатийна,</verse>
				<verse number="10">Хьо, Дела, кхел ян гӀаьттича, дуьнен тӀехь гӀело мел хьоьгург кӀелхьарваккхархьама.</verse>
				<verse number="11">Бакъду, адамашна йолчу Хьан оьгӀазлоно Хьуна хастамаш бойтур бу. Хьайн дералла, духар санна, Ахь тӀеюхур ю.</verse>
				<verse number="12">Шайн Везачу Далла хьалха чӀагӀонаш а е, уьш кхочуш а е. Гонах мел долчу къаьмнаша совгӀаташ дохьийла шаьш кхера Дезачунна.</verse>
				<verse number="13">Цо элийн синош дохадо, лаьттара паччахьаш кхерабо.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="76">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Ядутуне. Асайпан назма.</verse>
				<verse number="2">Сан аз Деле кхойкхуш ду, Цуьнга орца а дохуш. Сан аз Деле кхойкхуш ду, Цунна со дӀахазийтархьама.</verse>
				<verse number="3">Бала тӀебеанчу дийнахь со Хьалдолу Эла лохуш ву. Буьйсанна сайн ши куьг саццаза дӀасадохуьйту ас, амма сан са шена синтем барх къаьхка.</verse>
				<verse number="4">Дела дага а оьхуш, ас узарш до. Ойланаш а еш, сан са доьхна ду.</verse>
				<verse number="5">Ахьа соьга ши бӀаьрг дӀа ца къовлуьйту, гӀайгӀанехь хиларна, вист а ца хилало со.</verse>
				<verse number="6">ДӀадаханчу денойх лаьцна ас ойла йо, тохарлера шераш суна дагаоьху.</verse>
				<verse number="7">Буьйсанна сайн иллеш дагаоьху суна, ойла а еш, сан сино хоьтту:</verse>
				<verse number="8">«Массо а ханна дӀатеттина те со Хьалдолчу Эло, кхин цкъа а резахир вуй те Иза?</verse>
				<verse number="9">Цуьнан хедар боцу безам гуттаренна а дӀабаьлла те, Цуьнан ваӀда массо а тӀаьхьенашна дӀадаьлла те?</verse>
				<verse number="10">Шен дикалла гайтар Дала дицдина те? ОьгӀазаллица Шен къинхетам дӀачӀаьгӀна те?»</verse>
				<verse number="11">Ткъа ас элира: «ХӀара бу сан бала: Веза Воккха Дела тхан дуьхьа кхин цалелар».</verse>
				<verse number="12">Сайна дагадоуьйтур ду ас Везачу Элан гӀуллакхаш, дагадоуьйтур ду ас Ахьа дӀаяханчу заманахь дина тамашийна хӀуманаш.</verse>
				<verse number="13">Со кхета хьожур ву дерриг а Хьан гӀуллакхех, ойла йийр ю ас Хьан сийлахьчу гӀуллакхех лаьцна.</verse>
				<verse number="14">Дела! Беза бу Хьан некъ. Мила ву иштта сийлахь Дела, тхан Дела санна!</verse>
				<verse number="15">Хьо тамашийна гӀуллакхаш деш волу Дела ву, Хьайн ницкъ къаьмнашна юкъахь гойтуш а ву.</verse>
				<verse number="16">Хьайн ницкъаца Ахьа Хьайн халкъ кӀелхьардаьккхина, Якъубан а, Юсупан а тӀаьхье.</verse>
				<verse number="17">Хишна Хьо гина, ва Дела, Хьо ган а гина, уьш кхераделла, кӀорга хӀорд а лестина.</verse>
				<verse number="18">Мархаша хи охьаоьхуьйтура, стигал а яра къекъаш, Хьан пхерчий а дара кхуьссуш.</verse>
				<verse number="19">Хьан къовкъаран аз мохехь дара схьахезаш. Дуьне ткъесо серладохура, латта, меттахдуьйлуш, дегош дара.</verse>
				<verse number="20">Хьан некъ хӀорда юккъехь бу, доккхачу хишна юккъехула дӀабоьду Хьан некъ, амма Хьан лараш ца гинера.</verse>
				<verse number="21">Жа санна, дӀадуьгура Ахьа Хьайн халкъ Мусан а, АхӀаронан а куьйгаца.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="77">
				<verse number="1">Асайпан хьехаме назма. ЛадогӀа ас хьоьхучуьнга, ва сан халкъ, сан багарчу дешнийн тидам бе.</verse>
				<verse number="2">Сан багахула ас хьекъале хӀуманаш дуьйцур ду, ширачу заманашкара хӀетал-металш а далор ду.</verse>
				<verse number="3">Тхуна иза хаза а хезнера, довза а девзинера, вайн дайша иза тхуна дийца а дийцинера.</verse>
				<verse number="4">Тхайн берех иза къайла а доккхур дац. Хинйолчу тӀаьхьене оха дӀадуьйцур ду Везачу Элан сийлахь гӀуллакхех лаьцна, Цуьнан ницкъах а, Цо динчу тамашийначу хӀуманех а лаьцна.</verse>
				<verse number="5">Цо Якъубан тӀаьхьенна бакъонаш дӀахӀиттийра, Исраилан халкъана товрат-хьехам дӀабелира. Тхан дайшна тӀедиллира Цо шайн берашна цаьрга иза дӀадовзийтар.</verse>
				<verse number="6">Цу тайпана тӀейогӀучу тӀаьхьенна иза хуур дара, дуьнен чу бовлучу наха шайн берашна иза дӀадуьйцур а дара.</verse>
				<verse number="7">ТӀаккха адамашна юкъахь Делах тешар дахлур дара, Цуьнан гӀуллакхаш диц а лур дацара, дерриг а халкъо Цуьнан весеташ лардийр дара.</verse>
				<verse number="8">Уьш шайн дайх тера хир бацара, аьрха а, муьтӀахь боцуш а, шайн дегнашца Делах ца тешаш а, шайн синца Цунна тешаме боцуш а.</verse>
				<verse number="9">Эпраймхойн карахь секхаӀедаш хиллехь а, тӀом бечу дийнахь уьш дӀа ма бевдира.</verse>
				<verse number="10">Делаца бина барт лар ца бора цара, Цуьнан товрат-хьехамца баха а ца лиира царна.</verse>
				<verse number="11">Царна дицделлера Цуьнан гӀуллакхаш, Цо гайтина долу тамашийна хӀуманаш а дицделлера царна.</verse>
				<verse number="12">Мисар-махкахь, ЦоӀан олучу кӀоштахь, церан дайн бӀаьргашна хьалха гайтира Цо тамашийна хӀуманаш.</verse>
				<verse number="13">Эрзийн хӀорд дӀаса а беккъа, цу юккъехула чекхбехира Цо уьш, ткъа хиш, пенаш санна, лаьтташ дара.</verse>
				<verse number="14">Дийнахь — мархица дӀабуьгура уьш Везачу Эло, ткъа буьйса дӀаяллалц — цӀеран серлонца некъ гойтура царна.</verse>
				<verse number="15">Яьссачу аренгахь Цо, тархаш екъа а екъна, кӀоргачу хӀорда санна шортта хи царна лора.</verse>
				<verse number="16">Тархах Ӏовраш Цо охьайолаялийтира, татолаш санна, хиш а дӀасадаьржира.</verse>
				<verse number="17">Амма уьш Цунна дуьхьал къинош леточуьра ца совцура, яьссачу аренгахь Веза Воккхачунна дуьхьал а гӀуьттуш.</verse>
				<verse number="18">Шайна Иза вевззашехь, Дела зуьйш бара уьш, шайна безаш болу кхача а боьхуш.</verse>
				<verse number="19">Далла дуьхьал къамелаш а деш, цара бохура: «Яьссачу аренгахь кхача кечлур буй те Деле?</verse>
				<verse number="20">Цо тархах тоьхча, хи охьадоладелира, Ӏовраш санна, шортта хи охьадеара. Амма тхуна кхача балалур буй те Цуьнга? Шен къомана жижиг далалур дуй те Цуьнга?»</verse>
				<verse number="21">Везачу Элана иза дӀахезча, оьгӀазаллин цӀе латийра Цо Якъубана дуьхьал, дераллин цӀе Исраилан халкъана тӀехьажийра Цо,</verse>
				<verse number="22">Делах долу тешар церан ца хиларна а, Цуьнан кӀелхьардахарх уьш тешна ца хиларна а.</verse>
				<verse number="23">ТӀаккха, мархашна омра а дина, Цо стигалан неӀарш дӀайиллира,</verse>
				<verse number="24">Цо кхачанан буьртигаш царна тӀе диссийтира, догӀа санна, стигалара кӀа царна дӀаделира.</verse>
				<verse number="25">Маликийн бепиг дууш дара адамаш, Цо иза царна уьш буззалц делира.</verse>
				<verse number="26">Стигалахь Цо малхбалехьара мох карзахбаьккхира, иштта къилбехьара мох а Шен ницкъаца карзахбаьккхира.</verse>
				<verse number="27">Цо, чан санна, жижиган догӀа даийтира царна тӀе, хӀорда йистера гӀум санна, дукха олхазарш а гӀовттийра.</verse>
				<verse number="28">Церан четаршна гонах охьа а оьгуьйтуш, Цо олхазарш церан меттаматтана тӀе дахкийтира.</verse>
				<verse number="29">Цара шаьш дуззалц биира и кхача, хӀунда аьлча лиънарг дара Цо царна делларг.</verse>
				<verse number="30">Амма шаьш лиънарг уьш дӀайиъна а бовлале, и кхача церан багахь болчу хенахь,</verse>
				<verse number="31">царна Дела оьгӀазвахара, Цо церан тоьлла берш а байира, исраилхойн кегийрхой а хӀаллакбира.</verse>
				<verse number="32">И дерриг а хилла доллушехь, цара кхидӀа а къинош летадора, уьш Цуьнан тамашийна гӀуллакхех а ца тийшира.</verse>
				<verse number="33">Церан дахаран чаккхе Цо эрна хилийтира, церан оьмаран шераш Цо кхерамехь чекхдехира.</verse>
				<verse number="34">Цо царах цхьаберш мосазза хӀаллакбо, царах болчу кхечара Иза лоьхура. Уьш Далла тӀе а боьрзура, даггара Цуьнга а хьоьжура.</verse>
				<verse number="35">Царна дагадеара, Дела — шайн тарх хилар а, Веза Воккха Дела шаьш ПаргӀатдохург хилар а.</verse>
				<verse number="36">Шайн баганашца уьш Цунна хьесталора, шайн харцматтаца Цунна хьалха бакъ доцург дуьйцура цара.</verse>
				<verse number="37">Церан дегнаш Цунна тӀедирзина дацара, Цо бинчу бартана уьш тешаме бацара.</verse>
				<verse number="38">Амма Къинхетаме волчу Цо, церан къиношна геч а дора, уьш хӀаллак а ца бора. Дукхазза а Шен оьгӀазвахар царна тӀера дӀа а доккхура Цо, Шен дераллина некъ а ца лора.</verse>
				<verse number="39">Цунна дагахь лаьттара, уьш адамаш хилар, юха ца доьрзуш долу садеӀар бен цахилар.</verse>
				<verse number="40">Яьссачу аренгахь хийлазза Иза оьгӀазъоьхуьйтура цара, акхачу аренгахь хийла дог дохадора цара Цуьнан!</verse>
				<verse number="41">Цара юх-юха а Дела зуьйра, Исраилан Везаниг оьгӀаз а вохуьйтуш.</verse>
				<verse number="42">Царна Цуьнан ницкъ болуш хилар дага ца догӀура, Цо шаьш мостагӀех кӀелхьардахаран де а дицделлера царна.</verse>
				<verse number="43">Царна дицделлера Мисар-махкахь Цо шайна Ӏаламаташ дар, иштта ЦоӀан-кӀоштахь царна тамашийна гӀуллакхаш гайтар.</verse>
				<verse number="44">Мисархойн хиш Цо цӀийх хьаладуьзира, цаьрга хи ца малийтархьама.</verse>
				<verse number="45">Царна тӀе жӀаьлийн мозий хийцира Цо, уьш дӀакхаллийтархьама, иштта пхьидарчий а тӀехийцира, уьш хӀаллакбайтархьама.</verse>
				<verse number="46">Церан ялта цо цаьпцалгашна дӀаделира, иштта церан кхаш цӀазана дӀаделира.</verse>
				<verse number="47">Церан кемсашна тӀе къора туьйхира Цо, церан инжиран дитташ а шаца хӀаллакдира.</verse>
				<verse number="48">Церан дохнна Цо къора туьйхира, церан бажа стелахаьштигна дӀабелира.</verse>
				<verse number="49">Шен оьгӀазаллин цӀе хьажийра Цо царна тӀе, хӀаллакдаран геланчийн жӀуга санна, дералла а, эргӀаддалар а, халонаш а йоуьйтуш.</verse>
				<verse number="50">Цо Шен оьгӀазаллина некъ баьккхира, цхьа а стаг Ӏожаллех кӀелхьар а ца ваьккхира, церан дахар Ӏожаллин уьнна дӀаделира.</verse>
				<verse number="51">Мисар-махкахь Цо массо а хьалха вина доьзалхо валийтира, церан ницкъо дуьххьара кхуьуьйтург Хьамин четаршна чохь хӀаллакбира.</verse>
				<verse number="52">Шен халкъ Цо, жа санна, арадаьккхира, Цо уьш, уьстагӀий санна, яьссачу аренгахула дуьгура.</verse>
				<verse number="53">Цо уьш маьршабахарна, уьш къар ца белира, ткъа церан мостагӀий хӀордо къайлабехира.</verse>
				<verse number="54">Халкъ схьадалийра Цо Шен дезачу лаьтта тӀе, аьтту куьйгаца Ша баьккхинчу лаьмнийн махка тӀе.</verse>
				<verse number="55">Хийра халкъаш царна хьалхара дӀалаьхкира Цо, церан латта Шен халкъана дӀа а кхочуьйтуш. Исраилан халкъ шайн хӀусамаш чохь даха хаийра Цо.</verse>
				<verse number="56">Амма уьш Дела зуьйш дӀабуьйлабелира, Везачу Воккхачунна дуьхьалгӀевттира, Цуьнан бакъонаш лар а ца йора цара.</verse>
				<verse number="57">Шайн дай санна, уьш а Делах дӀабирзира, иштта тешаме боцуш а лелара. Уьш харц секхаӀад санна хилира.</verse>
				<verse number="58">Шайн сагӀа доккхучу гунашца Иза оьгӀазъоьхуьйтура, шайн цӀушца Цуьнан эмгаралла меттахйохура.</verse>
				<verse number="59">Уьш Шена дӀахезча, Дела оьгӀазвоьдура, Цо Исраилан халкъ кхоччуш дӀатоттура.</verse>
				<verse number="60">Цо йитира Шилунера Шен хӀусам, Ша адамашна юкъахь Ӏийна долу четар.</verse>
				<verse number="61">Шеца бинчу бертан тӀорказ Цо йийсаре дӀаделира, Шен сийлаллин билгало мостагӀийн кара дӀаелира.</verse>
				<verse number="62">Цо туьран кара дӀаделира шен къам, Шен долахь болчарна Иза оьгӀазвахара.</verse>
				<verse number="63">ЦӀеро церан къона божарий дӀакхоллура, зудаберашна маре дигаран эшарш а ца лоькхура.</verse>
				<verse number="64">Церан динан дай туьро хӀаллакбора, ткъа бисина болу зударий уьш бахьана долуш белха а ца боьлхура.</verse>
				<verse number="65">Амма Хьалдолу Эла меттавеара, набарх ваьлча санна, Иза меттавеара, маларо карзахваьккхина турпалхо санна.</verse>
				<verse number="66">Цо Шен мостагӀий юхаберзийтира, царна тӀе даима эхь а даийтира.</verse>
				<verse number="67">Юсупан тӀаьхье дӀатеттира Цо, Эпрайман тайпа а ца хаьржира.</verse>
				<verse number="68">ЯхӀудан тайпа къобалдира Цо, Шена безабелла болу Цийон-лам а хаьржира.</verse>
				<verse number="69">Лекхачу стигалахь йолу Шен шахьар санна, Цо Шен еза меттиг йира цигахь. Латта санна, Цо иза массо а ханна чӀагӀйира.</verse>
				<verse number="70">Цо Шен ялхо волу Дауд хаьржира, иза дежийлашкара схьа а ваьккхира.</verse>
				<verse number="71">Цо иза уьстагӀий Ӏалашдечуьра схьаваьккхира, цуьнга, Ӏуьне санна, Шен Якъубан халкъ дажадайта, Шен долахь долу Исраилан халкъ цуьнга Ӏалашдайта.</verse>
				<verse number="72">Дауда уьш цӀеначу дагца Ӏалашбора, Цо и къам говзачу куьйгашца дуьгура.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="78">
				<verse number="1">Асайпан назма. Ва Дела! Кхечу къаьмнаша дӀалаьцна Хьан долахь долу латта, цара бехдина Хьан деза цӀа, Ярушалаймах саьлнаш йина дӀахӀиттийна цара.</verse>
				<verse number="2">Хьан леш болчеран декъий стигаларчу олхазаршка даийта дӀаделла, ткъа Хьуна тешаме болчеран догӀмаш цара лаьттарчу акхарошна дӀаделла</verse>
				<verse number="3">Цара, хи санна, цӀий Ӏанийна Ярушалаймана гонах, уьш дӀабохка стаг а вацара.</verse>
				<verse number="4">Уллора къаьмнаш тхох кхаьрда, гонах мел верг тхох воьлуш а, тхо сийсаздеш а ву.</verse>
				<verse number="5">Веза Эла, мел дахлур ду те Хьан оьгӀазвахар, Хьан эмгаралла, цӀе санна, йогуш мел лаьттар ю те?</verse>
				<verse number="6">Хьо къобал ца вечу халкъашна тӀе хьажаехьа Хьайн оьгӀазалла, Хьуна Ӏамал ца ечу пачхьалкхашна тӀе хьажаехьа Хьайн дералла.</verse>
				<verse number="7">ХӀунда аьлча цара Якъубан халкъ дӀакхаьллина, иза Ӏаш болу мохк а бохийна.</verse>
				<verse number="8">Тхан дайн къинош бахьана долуш тхо жоьпе ма озадехьа, Хьайн къинхетам сиха гайтахьа тхуна, хӀунда аьлча тхан гӀора дӀадаьлла.</verse>
				<verse number="9">ГӀо дехьа тхуна, тхан КӀелхьарваккхархо волу Дела, Хьайн цӀеран сийлаллин дуьхьа. КӀелхьардахахьа тхо, тхан къиношна геч а дехьа Хьайн езачу цӀеран дуьхьа.</verse>
				<verse number="10">Кхечу къаьмнех болчу наха хӀунда хоьтту: «Мичахь ву церан Дела?» Тхан бӀаьргашна хьалха кхечу къаьмнашна хаийтахьа, Хьан ялхойн цӀий Ӏанорна Айхьа бекхам бийриг хилар.</verse>
				<verse number="11">Йийсархойн узарш Хьуна дӀахезийла, Хьайн нуьцкъалаллица кӀелхьарбахахьа хӀаллакьхила леринарш.</verse>
				<verse number="12">ВорхӀазза дӀадекхахьа тхан лулахошна царна Хьалдолу Эла волу Хьо ларар дола хетар.</verse>
				<verse number="13">Ткъа тхо, Хьан халкъ, Хьан дежийлашкара уьстагӀий, массо а ханна Хьуна хастамаш беш хир ду, оха тӀаьхьенера тӀаьхьене а Хьан сийлалла дӀакхайкхор ю.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="79">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «Бертан лили» олучу мукъамехь ала езаш ю. Асайпан назма.</verse>
				<verse number="2">Исраилан халкъан Ӏу, ладогӀахьа! Юсупан тӀаьхье, жа санна, дӀадуьгуш верг, каруб-маликашна тӀехула йолчу Ӏаршана тӀехь хиъна Ӏаш верг, Хьуо гайтахьа</verse>
				<verse number="3">Эпраймана а, Бен-Яманна а, Маннашана а хьалха. Схьагайтахьа Хьайн ницкъ, тхо кӀелхьардаха волахьа.</verse>
				<verse number="4">Дела! ЮхаметтахӀиттадехьа тхо. Хьайн юьхь тӀера серло тхуна лепийтахьа, тӀаккха тхо кӀелхьардаьхна хир дара.</verse>
				<verse number="5">Ва массо а ницкъийн Веза Дела! Хьан халкъо деш долчу доӀанашна оьгӀаз а вахана, мел Ӏийр ву те Хьо?</verse>
				<verse number="6">Ахьа Хьайн халкъана бӀаьрхих дуьзна бепиг даийна, дуккха а бӀаьрхиш а малийна Ахьа цунна.</verse>
				<verse number="7">Уллора къаьмнаш тхоьца эгӀийра Ахь, тхан мостагӀий тхох кхаьрдаш бу.</verse>
				<verse number="8">Массо а ницкъийн Дела! ЮхаметтахӀиттадехьа тхо. Хьайн юьхь тӀера серло тхуна лепийтахьа, тӀаккха тхо кӀелхьардаьхна хир дара.</verse>
				<verse number="9">Ахьа Мисар-махкара кемсийн таьлланг схьаеара, халкъаш дӀа а лаьхкина, и таьлланг дӀаюьйгӀира Ахьа.</verse>
				<verse number="10">Цуьнан дуьхьа меттиг дӀацӀанйина Ахьа, ткъа цо шен орамаш охьадахийтира, иштта латта хьаладуьзира.</verse>
				<verse number="11">Лаьмнаш цуьнан ӀиндагӀо дӀахьулдира, цуьнан гаьннаша сийлахь баганан-дитташ кхелира.</verse>
				<verse number="12">Цу таьлланго шен гаьннаш Дуьненаюккъерачу хӀордана тӀе кхаччалц дӀадахийтина, иштта шен синтарш а Эпрат-хина тӀе кхаччалц дӀадахийтина.</verse>
				<verse number="13">ХӀунда яьккхина Ахьа цу кемсийн бешана гонахара керт дӀа? ХӀинца цигахула тӀех мел волучо а цуьнан стоьмаш схьадоху.</verse>
				<verse number="14">Неларчаша а йохайо иза, аренгарчу акхароша а иза йоу.</verse>
				<verse number="15">Массо а ницкъийн Дела! Схьаверзахьа! Стигалара схьахьажахьа, тидам бехьа! ХӀокху кемсийн бешан гӀайгӀа бехьа!</verse>
				<verse number="16">Хьайн аьтто куьйго дӀадийначун гӀайгӀа бехьа, Ахьа Хьайн дуьхьа чӀагӀдина долу синтаран а гӀайгӀа бехьа.</verse>
				<verse number="17">МостагӀаша иза, каг а дина, цӀарца дагийна. ОьгӀазечу юьхьца цаьрга хьажахьа, уьш хӀаллакбехьа.</verse>
				<verse number="18">Хьайн куьг, Дела, Хьайна аьтту агӀор волчу стагана тӀе диллахьа, Айхьа ницкъ болуш хилийтинчу адаман кӀантана тӀе диллахьа Хьайн куьг.</verse>
				<verse number="19">ТӀаккха тхо Хьох дӀадоьрзур дац. Тхо дендехьа, тӀаккха Хьоьга кхойкхуш хир ду тхо.</verse>
				<verse number="20">Массо а ницкъийн Веза Дела! ЮхаметтахӀиттадехьа тхо. Хьайн юьхь тӀера серло тхуна лепийтахьа, тӀаккха тхо кӀелхьардаьхна хир дара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="80">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Гати-гӀалара схьаяьллачу эшаран мукъамехь ала еза. Асайпан назма.</verse>
				<verse number="2">Самукъадаларна йиш лакха вайн ницкъ болчу Далла. Синкъераме мохь бетта Якъубан Деле.</verse>
				<verse number="3">Йиш лакха, жиргӀа етта, хаза дечиг-пондар а, мерз-пондар а лакха.</verse>
				<verse number="4">Коьман маӀа лакха бутт цӀинлучу хенахь а, бутт бузар вайн дезде долчу хенахь а.</verse>
				<verse number="5">Иштта ду Исраилан халкъана делла парз, иза ду Якъубан Дала тӀедиллинарг.</verse>
				<verse number="6">Иза Дала Юсупан тӀаьхьенна тӀедиллина, Мисар-махкана дуьхьал Иза араволучу хенахь. Сайна бевзаш боцу мотт суна хеза:</verse>
				<verse number="7">«Ас шун белшашна тӀера мохь дӀабаьккхина, шун куьйгаш карарчу тускарех мукъа а даьхна.</verse>
				<verse number="8">Баланехь долу шу Соьга кхайкхича, Аса шу кӀелхьардехира. Ткъесан мархина юккъера схьа Ас шуна жоп делира. Мерибан хиш долчохь Ас шу зийра.</verse>
				<verse number="9">ЛадогӀа, Сан халкъ, Ас шуьга дӀахьедо. Исраил, ахьа мукъана а Соьга ладогӀахьара!</verse>
				<verse number="10">Шайна юкъахь хийра дела ма хилийта, кхечу къаьмнех волчу далла Ӏибадат а ма де.</verse>
				<verse number="11">Со Веза Эла ву, шун Дела, шу Мисарара арадаьхнарг. ДӀаелла хьайн бага, Ас иза хьалаюзур ю.</verse>
				<verse number="12">Амма Сан халкъо Сан озе ла ца дугӀура, Исраилан халкъ Суна къера хила лууш а дацара.</verse>
				<verse number="13">Цундела Ас цуьнга цуьнан даго боххург дойтура, шена луъург а дойтуш, лелийтира.</verse>
				<verse number="14">Сан халкъо мукъана Соьга ладогӀахьара, Исраилан халкъ Сан некъашца лелахьара!</verse>
				<verse number="15">ТӀаккха церан мостагӀашна тӀехь Ас сихха толам боккхур бара, царна дуьхьалбевллачарна тӀе Сайн куьг хьажор дара.</verse>
				<verse number="16">Веза Эла ца везаш берш кхерарца Цунна хьалха суждана гӀур бара, ткъа царна тӀехь долу таӀзар массо а ханна лаьттар дара.</verse>
				<verse number="17">Ас шуна уггар дика кӀа даор дара, тархах даьккхина моз а лур дара шуна».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="81">
				<verse number="1">Асайпан назма. Дела коьртехь дӀахӀутту стигалан гуламехь. Гуламан декъашхошна юкъахь Цо Шен кхел кхайкхайо.</verse>
				<verse number="2">«Мел лелар ду те шу, харцкхелаш еш? Мел лелар ду те шу, Ӏесачарна озабезам а беш?</verse>
				<verse number="3">ГӀийлачеран а, байн а бакъонаш ларъе, къенаш а, мисканаш а бехказабаха.</verse>
				<verse number="4">ГӀийланаш а, мисканаш а кӀелхьарбаха. Уьш Ӏесачу нехан карара схьабаха.</verse>
				<verse number="5">Шуна хӀумма а ца хаьа, шу ца кхета, шу боданехь санна лелаш ду, шун когаш бухара латта леста.</verse>
				<verse number="6">Ас элира: „Шу деланаш ду, Веза Воккхачун кӀентий а ду шу дерриш а“.</verse>
				<verse number="7">Амма шу лийр ду, адамаш санна, шу хӀаллакьхир ду, муьлхха а куьйгалхо санна».</verse>
				<verse number="8">ХьалагӀатта, Дела, кхел е дерриг а лаьтта тӀехь, хӀунда аьлча дерриге а къаьмнаш Хьан долахь ду.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="82">
				<verse number="1">Асайпан назма.</verse>
				<verse number="2">Дела! Вист ца хуьлуш ма висахьа, къора а, хӀумма а ца деш ма хилахьа, Дела.</verse>
				<verse number="3">Хьажахьа, Хьан мостагӀий бу карзахбевлла, Хьо ца везачу цара шайн кортош хьалаайина.</verse>
				<verse number="4">Хьан халкъана дуьхьал цара мекара ойланаш йо. Хьуна дукхабезаш болчарна дуьхьал а къайлаха барт бо.</verse>
				<verse number="5">Цара олу: «Даха а гӀой, церан къам хӀаллакде вай, кхин цкъа а Исраилан халкъан цӀе дага ца яийтархьама».</verse>
				<verse number="6">Берриш а вовшех дагабовлу, цара Хьуна дуьхьал барт бо:</verse>
				<verse number="7">эдомхой а, исмаьӀалхой а, муабахой а, хӀагирхой а,</verse>
				<verse number="8">гебалхой а, Ӏамминхой а, Ӏамалекхахой а, Цора-гӀаларчу бахархошца цхьаьна пӀелаштамхой а.</verse>
				<verse number="9">Ашур-мохк а царна тӀаьхьахӀоьттина, ЛутӀин тӀаьхьенна гӀортор хилла, дӀахӀоьттина иза.</verse>
				<verse number="10">Дехьа царна Айхьа маданхошна диннарг, Айхьа Къишун-хина уллохь Сисрина а, Ябинна а диннарг.</verse>
				<verse number="11">Уьш Ӏейндарахь байинера, ткъа церан декъех лаьттан кхелли хиллера.</verse>
				<verse number="12">Царна а, церан куьйгалхошна а Айхьа Ӏорабна а, Зиабна а диннарг дехьа, церан массо а элана а Айхьа Зебахьна а, ЦалманаӀна а диннарг дехьа,</verse>
				<verse number="13">«Делан долахь долу латта вайн дола доккхур ду вай», — аьлла болчу.</verse>
				<verse number="14">Сан Дела! Йилбазмохана дуьхьал нисъелла чан санна хуьлийла уьш, мохана дуьхьал нисделла ча санна а хуьлийла уьш.</verse>
				<verse number="15">ЦӀаро ягош йолу хьун, алуно морцуш долу лаьмнаш санна,</verse>
				<verse number="16">Хьайн дарцаца лахкахьа уьш, Хьайн йилбазмохаца кхерабехьа уьш.</verse>
				<verse number="17">Уьш юьхьӀаьржачу хӀиттабехьа, Веза Эла, Хьайга кхайкхийтархьама.</verse>
				<verse number="18">ЮьхьӀаьржачу а хӀиттина, боьхна лелийла уьш гуттар а, эхь а доьссина, хӀаллакьхуьлийла уьш.</verse>
				<verse number="19">Шен цӀе Веза Эла йолуш волу Хьо бен Воцург, дерриге а лаьтта тӀехь Веза Воккханиг хилар дӀахоийла царна.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="83">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Гати-гӀалара схьаяьллачу эшаран мукъамехь ала еза. Кхорахьан тӀаьхьенан назма.</verse>
				<verse number="2">Ва массо а ницкъийн Веза Эла! Ма тайна ду-кх Хьо Ӏаш долу цӀенош!</verse>
				<verse number="3">Сан са цига кхача лууш ду. Везачу Элан цӀийнан керташкахь хила сан са хьаьгна а ду. Самукъа а даьлла, сан дог а, сан дегӀ а дийна волчу Деле кхойкхуш ду.</verse>
				<verse number="4">Хьозанна а шена даха меттиг карайо, чӀегӀардигна а шен кӀорнеш чуяхка бен карабо Хьан сагӀа доккхучу кхерчана уллохь, массо а ницкъийн Веза Эла, сан Паччахь а, Дела а!</verse>
				<verse number="5">Декъала бу Хьан цӀа чохь бехаш берш: уьш гуттаренна а Хьо хестош бу.</verse>
				<verse number="6">Декъала ву шен ницкъ Хьох боьзна верг а, Хьан цӀийне болчу новкъахула ваха дагахь верг а.</verse>
				<verse number="7">Белхаран аренгахула дӀабоьлхуш, цигахь цара хьостанийн меттиг йо, гуьйренан догӀано иза Ӏаьмнашца юзайо.</verse>
				<verse number="8">Церан ницкъ тӀех совболу, уьш Цийонна тӀехь Далла хьалха дӀахӀуьтту.</verse>
				<verse number="9">Массо а ницкъийн Веза Дела, дӀахазахьа сан доӀа! ДӀахазахьа ас бохург, Якъубан Дела.</verse>
				<verse number="10">Тхо лардечу паччахье хьажахьа, Дела! Декъалвехьа Айхьа къобалвинарг.</verse>
				<verse number="11">Хьан кертахь даьккхина долу цхьа де вукху меттехь даьккхина эзар дийнал а тоьлу, Делан цӀийнан кевнехь латтар гӀоле ду Ӏесачеран четарш чохь Ӏачул.</verse>
				<verse number="12">Веза Дела вайна малх а, турс а ву. Цо вайна диканиг до, вайн сий а до. ЦӀеначу новкъахула лелаш волчунна муьлхха а диканиг дарехь Ша саца ца во Цо.</verse>
				<verse number="13">Ва массо а ницкъийн Веза Эла! Декъала ву Хьох тешна Ӏаш верг!</verse>
			</chapter>
			<chapter number="84">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Кхорахьан тӀаьхьенан назма.</verse>
				<verse number="2">Веза Эла! Хьайн махкана диканиг дина Ахьа, Якъубан тӀаьхье юхаметтахӀоттийна Ахьа.</verse>
				<verse number="3">Хьайн халкъан зуламна геч а дина Ахьа, церан къинош къайла а даьхна Ахьа,</verse>
				<verse number="4">Хьайн оьгӀазвахар а Ахьа дӀадаьккхина, Хьайн къизачу дераллех а Хьо дӀавирзина.</verse>
				<verse number="5">Дела, тхан КӀелхьардохург, тхо юхаметтахӀиттадехьа, тхуна тӀехь йолу Хьайн дералла дӀаяккхахьа.</verse>
				<verse number="6">Массо а ханна ю те Хьан оьгӀазалла, тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка а хир ю те Хьан оьгӀазалла?</verse>
				<verse number="7">Тхо юха дендийр дац те Ахьа, Хьайн халкъ юха а Хьо бахьана долуш доккхадейта?</verse>
				<verse number="8">Гайтахьа тхуна, Веза Эла, Хьайн хедар боцу безам, Хьайн кӀелхьардаккхар а лохьа тхуна.</verse>
				<verse number="9">ЛадугӀур ду аса Везачу Дала бохучуьнга. Цо машар бийр бу Шен халкъаца, Шена тешаме болчаьрца, юха а тила ма лойла уьш.</verse>
				<verse number="10">Цунна хьалха ларамах буьзна берш Цо кӀелхьарбахар герга ду, Цуьнан сийлалла вайн лаьттахь хилийтархьама.</verse>
				<verse number="11">Безам а, тешаме хилар а вовшахкхетар ду, нийсоно а, маршоно а вовшашна барташ дохур ду.</verse>
				<verse number="12">Тешаме хилар лаьттара хьаладер ду, нийсо стигалара схьа охьахьоьжур ю.</verse>
				<verse number="13">Везачу Эло беркат лур ду, ткъа лаьтто шен стом кхиор бу.</verse>
				<verse number="14">Нийсо Цунна хьалхаяьлла лелар ю, цо Везачу Элана некъ кечбийр бу.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="85">
				<verse number="1">Даудан доӀа. Веза Эла, ладогӀахьа сан доӀане, тахана гӀийла а, миска а ву со.</verse>
				<verse number="2">Кхоадехьа сан са, Хьуна тешаме ма ву со. Хьайх дегайовхо йолу Хьайн лай кӀелхьарваккхахьа, сан Дела.</verse>
				<verse number="3">Къинхетам бехьа сох, Веза Эла, дийнахь сарралц Хьоьга кхойкху ас.</verse>
				<verse number="4">Хазахетар лохьа Хьайн лена, Хьоьга кховдадо ас сайн са, Веза Эла.</verse>
				<verse number="5">Хьо дика а ву, гечдан кийча а ву, Хьалдолу Эла, Хьайга кхойкхучаьрца массаьрца а бу Хьан хедар боцу безам.</verse>
				<verse number="6">Веза Эла, сан доӀа а хазий, сан дехаршка ладогӀахьа.</verse>
				<verse number="7">Доьхначу дийнахь кхойкху ас Хьоьга, Ахь суна жоп лур долу дела.</verse>
				<verse number="8">Деланашна юкъахь Хьо саннарг вац, Хьалдолу Эла, Хьайнаш санна гӀуллакхаш а дац.</verse>
				<verse number="9">Ахь кхоьллина халкъаш, схьа а даьхкина, Хьуна хьалх охьатаьӀар ду, Хьалдолу Эла, цара хастор ю Хьан цӀе.</verse>
				<verse number="10">Дела, Хьо воккха ву, Ахь до инзаре хӀуманаш. Хьо цхьаъ бен Дела вац.</verse>
				<verse number="11">Хьайн новкъа ваккхахьа со, Веза Эла, Хьуна тешаме волуш лелар вара со. Сан дог кхоччуш Хьайх кхерийтахьа.</verse>
				<verse number="12">Даггара Хьо хестор ву ас, сан Веза Дела, Хьан цӀеран сий дийр ду ас даим а,</verse>
				<verse number="13">хӀунда аьлча соьга болу Хьан хедар боцу безам боккха бу, эхартах сан са кӀелхьардаьккхи Ахь.</verse>
				<verse number="14">Дела! Кура нах бевлла суна дуьхьал, зуламхойн гӀера ю сан са лоьхуш. Хьоьга ларам бац церан.</verse>
				<verse number="15">Амма, Хьалдолу Эла, Хьо дика а, къинхетаме а, атта оьгӀаз ца воьдуш а, тешаме а, боккха безам болуш а ву.</verse>
				<verse number="16">Соьга хьажий, сох къинхетам бехьа. Хьайн лена Хьайн ницкъ лохьа, Хьайн гӀарбашан кӀант кӀелхьарваккхахьа.</verse>
				<verse number="17">Хьайн диканах йолу билгало гайтахьа суна, со ца везачарна, иза ган а гина, эхь хетар ду, Веза Эла, хӀунда аьлча Ахь гӀо дина суна, Ахь тевина со.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="86">
				<verse number="1">Кхорахьан тӀаьхьенан назма.</verse>
				<verse number="2">Везачу Элан цӀийнан бух дезачу лаьмнашкахь бу. Якъубан тӀаьхьенан массо а Ӏаш йолчу меттигал а Цийонан кевнаш Везачу Элана дукха деза.</verse>
				<verse number="3">Ва Делан гӀала, хьох лаьцна сийлахь хӀуманаш олуш ду:</verse>
				<verse number="4">«Со вевзачу къаьмнашна юкъахь Ас хьахор ду Мисаран къам а, Бавелан къам а. ПӀелаштамхойх а, цорахойх а, хушахойх а лаьцна эр ду, уьш Сан гӀалахь бина бу аьлла».</verse>
				<verse number="5">Ткъа Цийонах лаьцна бохур ду: «ХӀара а, важа а цигахь вина, Веза Воккхачу Дала Ша иза чӀагӀйийр ю».</verse>
				<verse number="6">Къаьмнаш тӀеяздинчу тептар тӀехь Везачу Эло дӀаяздийр ду: «ХӀара цигахь вина», — аьлла.</verse>
				<verse number="7">Эшарш а лоькхуш, хелхарш дечара эр ду: «Цийонера ду сан мел долу беркат».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="87">
				<verse number="1">Кхорахьан тӀаьхьенан назма. Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Ӏезарахьахо волчу ХӀайманан хьехаме йолу хӀара назма «Махьалат Лаунат» олучу мукъамехь лакха езаш ю.</verse>
				<verse number="2">Веза Эла, сан кӀелхьарваларан Дела! Хьоьга кхойкху со дийнахь а, Хьуна хьалха ву со буса а.</verse>
				<verse number="3">Хьан юьхь-дуьхьал дӀакхочийла хӀара сан доӀа. ЛадогӀахьа хӀокху сан орца даккхаре.</verse>
				<verse number="4">ХӀунда аьлча сан дог баланех хьаладуьзна, ткъа дахар эхартана уллохь ду.</verse>
				<verse number="5">Со кошана уллохь болчу нахаца дӀанисвелла. Со гӀора доцу стаг хилла дӀахӀоьттина.</verse>
				<verse number="6">Со беллачу нахана юкъахь волуш санна ву, со вийна Ӏуьллу стаг санна ву, Хьуна дага а ца вогӀуш, Ахь гӀо дечуьра дӀа а ваьлла.</verse>
				<verse number="7">Ахь со эхартан саьнгар чу виллина, бодане, бух боцучу Ӏин чу тесна.</verse>
				<verse number="8">Язъелла суна тӀехь Хьан дералла, Хьайн ерриге а тулгӀенашца хьаьшна Ахьа со.</verse>
				<verse number="9">Ахь сан доттагӀашка а со витийтина, царна хьалха маьттаза вина дӀахӀоттийна Ахьа со. Со чохь Ӏаш ву, аравала йиш а яц сан.</verse>
				<verse number="10">Сан бӀаьргаш дукха велхарна лозуш бу. ХӀора дийнахь со Хьоьга кхойкхуш ву, сан куьйгаш Хьоьга дӀакховддийначохь лаьтташ ду.</verse>
				<verse number="11">Беллачарна лерина ду ткъа Хьан тамашийна гӀуллакхаш? Я белларш, хьала а гӀевттина, Хьуна хастамаш беш хир бу?</verse>
				<verse number="12">Хьан хедар боцучу безамах лаьцна коша чохь дуьйцуш хир ду ткъа? Я Хьан тешаме хиларх лаьцна талхаран меттехь дуьйцуш хир ду ткъа?</verse>
				<verse number="13">Ахь дина тамашийначу гӀуллакхех лаьцна боданечу меттехь хуур ду ткъа? Бицбеллачеран дуьненахь Хьан нийсонах лаьцна хуур ду ткъа?</verse>
				<verse number="14">Амма со, Веза Эла, Хьоьга кхойкхуш ву, сахуьлучу хенахь ас сайн доӀа Хьуна хьаладоуьйту.</verse>
				<verse number="15">Веза Эла, со хӀунда дӀатоьтту Ахь? Сох хӀунда йоху Ахьа Хьайн юьхь къайла?</verse>
				<verse number="16">Ас жимачу хенахь дуьйна гӀело а хьоьгу, Ӏожаллина уллохь а ву со. Хьан къематаш а хьоьгуш, со дог доьхна ма ву.</verse>
				<verse number="17">Хьан дералла суна тӀехула йоьдуш ю. Хьан бохамаша со хӀаллаквеш ву.</verse>
				<verse number="18">Дийнахь сарралц цара, тӀехдогӀучу хино санна, суна го бо, цара со массо а маьӀӀера дӀа а хьулво.</verse>
				<verse number="19">Ахьа суна уллора сан гергарнаш а, доттагӀий а дӀабаьхна. Сан накъост санна болу бода бен, стаг а ца висна.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="88">
				<verse number="1">Ӏезарахьахо волчу Этанан хьехаме назма.</verse>
				<verse number="2">Хьан хедар боцучу безамах лаьцна, Веза Эла, ас даим а назманаш бохур ю, Хьан тешаме хиларх лаьцна массо а тӀаьхьенашкахь Аса сайн багахула дӀахоуьйтур ду.</verse>
				<verse number="3">Ас боху: «Хьан хедар боцу безам абаденналц дӀахӀоттийна, Хьайн тешаме хилар Ахь стигалшкахь дӀахӀоттийра».</verse>
				<verse number="4">Ахь элира: «Ас барт бина Айса хаьржинчу паччахьца, Ас чӀагӀо йина Сайн ялхо волчу Даудана:</verse>
				<verse number="5">„Абаденналц Аса хьан тӀаьхьенах стаг паччахь вина дӀахӀоттор а ву, массо а тӀаьхьенашкахь хьан паччахьан гӀант Аса лоттуьйтур а ду“».</verse>
				<verse number="6">Веза Эла, Хьан тамашийначу хӀуманашна стигалша хастам бо, Хьан тешаме хилар а Хьан дезачу маликийн гуламехь хастадо.</verse>
				<verse number="7">ХӀунда аьлча мила ву стигалшкахь Везачу Элаца нисвала? Мила ву стигалан бахархошна юкъахь Везачу Элаца нисвала?</verse>
				<verse number="8">Делан дезачу маликийн гуламан декъашхой Цунах кхоьру, массо а Цунна гонах болчарал Иза ларамах бузуьйтуш ву.</verse>
				<verse number="9">Ва массо а ницкъийн Веза Дела! Мила ву Хьо санна ницкъ болуш, Веза Эла? Хьан тешаме хилар Хьуна гонах ду.</verse>
				<verse number="10">Ахьа олалла до карзахбаьллачу хӀордана тӀехь: цуьнан тулгӀенаш хьалаюьйллушехь, Ахь уьш совцайо.</verse>
				<verse number="11">ХӀордан саьрмик РахӀаб, эшийнарг санна, хьаьшна Ахьа, Хьайн ондачу куьйгаца Хьайн мостагӀий а дӀасабаржийна Ахьа.</verse>
				<verse number="12">Стигалш а, латта а Хьан ду. Дерриг а дуьне а, цунна чохь мел дерг а Ахьа дӀахӀоттийна ду.</verse>
				<verse number="13">Къилбаседехьа а, къилбехьа а ерг Ахьа кхоьллина. Табур-лам а, Хьермон-лам а Хьуна баккхийбеш бу.</verse>
				<verse number="14">Ницкъ болуш бу Хьан пхьарс, Хьан куьг ма онда ду, Хьан аьтту куьг толаме ду!</verse>
				<verse number="15">Нийсо а, бакъдерг а ду Хьан паччахьан гӀантана бух хилла дӀахӀоьттинарг. Безам а, тешаме хилар а ду Хьуна хьалхадаьлла лелаш.</verse>
				<verse number="16">Декъала ду Хьуна хастамаш бан хиъна долу къам. Хьан юьхьан серлонехь лелаш ма бу уьш, ва Веза Эла.</verse>
				<verse number="17">Хьох уьш дерриг а дийнахь сакъералуш хуьлу, Хьо нийса хиларна уьш баккхийбеш а хуьлу.</verse>
				<verse number="18">ХӀунда аьлча Хьо церан ницкъ а, сийлалла а ву, Хьо дика хиларна, Ахь тхуна толамаш а ло.</verse>
				<verse number="19">Везачу Элера ду тхан турс, Исраилан халкъан Везачуьнгара ву тхан паччахь.</verse>
				<verse number="20">Цкъа мацах, сурт хӀотточу хенахь, Хьайна тешамечу нахе Ахь элира: «Доьналла долчунна Ас гӀо дира, нахана юкъара верг Аса хьалаайира.</verse>
				<verse number="21">Сан ялхо волу Дауд кара а вина, Ас цунах паччахь вира, цунна тӀе Сайн деза даьтта а дуттуш, Аса иза къобалвира.</verse>
				<verse number="22">Сан куьйго цунна ницкъ а лур бу, Сан пхьаьрсо иза чӀагӀ а вийр ву.</verse>
				<verse number="23">МостагӀа цул тоьлур вац, вочу наха цунна гӀело а йийр яц.</verse>
				<verse number="24">Ас цунна хьалха мостагӀий эшор бу, иза цавезарш хӀаллак а бийр бу.</verse>
				<verse number="25">Сан тешам а, Сан безам а цуьнца хир бу, Со цуьнца хиларна, цо толамаш бохур бу.</verse>
				<verse number="26">Ас цуьнан куьг хӀордана тӀе дуьллур ду, хишна тӀехула цуьнан аьтту куьг а дӀадохуьйтур ду.</verse>
				<verse number="27">Цо Соьга эр ду: „Хьо — сан да а, сан Дела а ву, со кӀелхьарвоккхур волу тарх а ю“.</verse>
				<verse number="28">Ас цунах Сайн дуьххьарлера доьзалхо вийр ву, иза дуьнен чохь болчу массо а паччахьел лекха а хир ву.</verse>
				<verse number="29">Цуьнца болу Сан безам абаденналц хир бу, Ас цуьнца бина барт массо а ханна чӀагӀбийр бу.</verse>
				<verse number="30">Цуьнан тӀаьхье Ас гуттаренна а латтор ю, стигал мел лаьтта, лаьттар ду цуьнан паччахьан гӀант а.</verse>
				<verse number="31">Нагахь цуьнан тӀаьхьено товрат-хьехам битахь, я уьш Аса тӀедехкинаршца ца лелахь,</verse>
				<verse number="32">нагахь Сан парзаш цара дохадахь, я Сан весеташ цара лар ца дахь,</verse>
				<verse number="33">цара лелийначу зуламна Ас гӀожаца таӀзар дийр ду, цара летийначу къиношна еттарца Ас таӀзар дийр ду.</verse>
				<verse number="34">Ткъа Сайн цаьрга болу безам Ас царах боккхур бац, Сайн царна леринчу тешаме хиларх Со дӀавоьрзур вац.</verse>
				<verse number="35">Цаьрца Айса бина барт Аса бохор бац, Сайн багахула дӀааьлларг хуьйцур а дац.</verse>
				<verse number="36">Гуттаренна а цкъа Сайн возаллех Ас чӀагӀо йина: Дауде Аса цкъа а харцдерг дуьйцур дац.</verse>
				<verse number="37">Цуьнан тӀаьхье массо а хенахь хир ю, ткъа цуьнан тӀаьхьенан паччахьалла лаьттар ду, стигалахь малх мел лепа.</verse>
				<verse number="38">Иза хир ю абаденналц дӀахӀоттийна болу а, стигалшкахь тешаме теш болу а бутт санна».</verse>
				<verse number="39">Амма Хьан паччахь Ахь цавашарца дӀатеттина, Айхьа къобалвинчунна Хьо оьгӀазвахана.</verse>
				<verse number="40">Хьайн ялхочуьнца бинчу бартах Хьо дӀавирзина, цуьнан таж а лаьттах тоьхна Ахьа.</verse>
				<verse number="41">Цуьнан гӀалин массо а пенаш дохийна Ахьа, цуьнан чӀагӀонаш, саьлнаш йина, дӀахӀиттийна Ахьа.</verse>
				<verse number="42">Массо а тӀехволучо цунна къола до, шен лулахошна хьалха беламе хилла дӀахӀоьттина иза.</verse>
				<verse number="43">Цуьнан мостагӀашка Ахьа цунна тӀехь толам баккхийтина, Ахь цуьнан мостагӀийн сакъерадалийтина.</verse>
				<verse number="44">Цуьнан туьран иралла Ахьа артйина, цунна тӀамехь гӀо а ца дина.</verse>
				<verse number="45">Паччахьан сийлалла а цуьнгара схьаяьккхи Ахьа, цуьнан паччахьан гӀант а лаьтта охьадожий Ахьа.</verse>
				<verse number="46">Цуьнан жималлин шераш дацди Ахьа, цунна тӀе юьхьӀаьржо а йоссийти Ахь.</verse>
				<verse number="47">Дукха лаьттар вуй те Хьо, Веза Эла, къайлаваьлла? Дукха лаьттар юй те Хьан оьгӀазвахаран алу?</verse>
				<verse number="48">Дагадаийтахьа, мел доца ду сан дахаран денош. Эрналлин дуьхьа кхоьллина те Ахьа адамаш?</verse>
				<verse number="49">Вуй те хӀокху дахарехь валар ганза волу стаг, я эхартан карара шен са кӀелхьардаьккхинарг?</verse>
				<verse number="50">Мичахь ду те, Хьалдолу Эла, Хьан безам гойтуш долу хьалхалера гӀуллакхаш? Мичахь ду те тхоьца тешаме хиларца Ахь Даудана чӀагӀо йина гӀуллакхаш?</verse>
				<verse number="51">Дагадаийтахьа, Хьалдолу Эла, Хьан ялхо волчунна мостагӀаша бина дегабаам а, сайн дагахь дерриге а къаьмнаш сох кхардар со хьоьгуш хилар а.</verse>
				<verse number="52">Хьан мостагӀий, Веза Эла, сох кхаьрдаш ма бу, Ахьа къобалвинарг мел вахахь а, уьш цунах кхаьрдаш ма бу.</verse>
				<verse number="53">Декъала хуьлда Веза Эла абаденналц! Амин, амин.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="89">
				<verse number="1">Делан стеган Мусан доӀа.</verse>
				<verse number="2">Хьалдолу Эла! ТӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка тхо Ӏаш йолу меттиг ю Хьо.</verse>
				<verse number="3">Лаьмнаш дуьнен чу довлале, дуьненан латта Ахьа кхоллале, азалера абаде кхаччалц Хьо ву Дела.</verse>
				<verse number="4">Стагах юха а чан а йой, Ахь олу: «Юхадерза, адамаш!»</verse>
				<verse number="5">Хьуна эзар шо селханлера де санна ду, буьйсанна ларйина хан санна ду.</verse>
				<verse number="6">Ахь, дӀадаьлла гӀан санна, дӀахьо адамаш. Уьш Ӏуьйранна хьалаяьлла буц санна ду. Буц Ӏуьйранна, хаз а лой, сенло, ткъа сарахь, маргӀал а юлий, якъало.</verse>
				<verse number="7">Хьан оьгӀазалло хӀаллакдо тхо, Хьан дераллах тхо кхоьру.</verse>
				<verse number="8">Тхан къинош Хьайна хьалха дехкина Ахь, оха къайлаха динарг Хьайн нуьре даьккхина Ахь.</verse>
				<verse number="9">Хьан оьгӀазалла тӀехь а йолуш, чекхдевлла тхан денош. Ӏаь санна, довш ду тхан шераш.</verse>
				<verse number="10">Тхан шерийн денош кхузткъе итт шо ду, мелла а ондачийн — дезткъа шо, ткъа царах уггар а тоьлла хан къинхьегам а, гӀайгӀанаш а йолуш ю. Шераш сиха дӀа а довлий, тхо дӀадоьлху.</verse>
				<verse number="11">Хьанна хаьа, Хьан оьгӀазалла мел нуьцкъала ю, Хьоьга кхоччуш болу ларам хиллал, Хьан дералла Хьанна евза?</verse>
				<verse number="12">Тхайн дахаран денош лара Ӏамадехьа тхо, тхан дегнашна хьекъал довзийтархьама.</verse>
				<verse number="13">ТӀеверзахьа, Веза Эла! Кхин мел лаьттар ю те Хьан оьгӀазалла? Къинхетам бехьа Хьайн лейх.</verse>
				<verse number="14">ХӀора Ӏуьйранна Хьайн хедар боцучу безамах дузахьа тхо, тӀаккха кху лаьтта тӀехь йоккхучу хенахь самукъадаьлла а, даккхийдеш а хир дара тхо.</verse>
				<verse number="15">Айхьа тхуна таӀзар динчу денойл а, тхуна халонаш гинчу шерел а дуьхьал самукъадаларан хан лохьа тхуна.</verse>
				<verse number="16">Хьан лешна Хьан дика болх гойла, церан берашна Хьан сийлалла лепийла.</verse>
				<verse number="17">Тхан Хьалдолчу Делан дика болх хуьлда тхуна. ГӀуллакхаш тӀехь тхан аьтто белахь, тхан гӀуллакхаш а аьтто болуш хилийталахь.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="90">
				<verse number="1">Веза Воккхачун тхов кӀелахь вехаш верг Нуьцкъалчун ӀиндагӀехь Ӏаш ву.</verse>
				<verse number="2">Цо олу Везачу Эле: «Хьо сан гӀап а, ха а ду, сан дегайовхо Хьайца йолу Дела а ву!»</verse>
				<verse number="3">Цо кӀелхьарвоккху хьо мостагӀчун гурах а, лечу цамгарх а.</verse>
				<verse number="4">Шен тӀемашца дӀахьулвина, Цо Ӏалашвийр ву хьо. Цуьнан тешаме хилар ду хьан турс а, дуьхьало а.</verse>
				<verse number="5">Буьйсанна хуьлучу Ӏадорах а, дийнахь кхоьссинчу пхарах а кхоьрур вац хьо,</verse>
				<verse number="6">боданехь лелачу уьнах а, делкъехь кхетачу цамгарх а кхоьрур вац.</verse>
				<verse number="7">Хьуна гонах эзар а, аьтту агӀор итт эзар а вожа мега, амма хьуна Ӏожалла тӀейогӀур яц.</verse>
				<verse number="8">Хьайн бӀаьргашца гур ду хьуна зуламечу нахана таӀзар хуьлуш.</verse>
				<verse number="9">Везачу Элах хьайн гӀап йина ахь. Веза Воккханиг хьайн Ларвийриг хаьржина ахь.</verse>
				<verse number="10">Хьуна вон болх а хир бац, цамгар хьан цӀенна улло а йогӀур яц.</verse>
				<verse number="11">Везачу Эло Шен маликашна тӀедуьллур ду массо а хьан некъашкахь хьо ларвар.</verse>
				<verse number="12">Цара куьйгаш тӀехь дӀахьур ву хьо, хьан ког тӀулгах а ца тасаболуьйтуш.</verse>
				<verse number="13">Лом а, лаьхьа а хьошур ду ахь, лоьман кӀорни а, текхарг а эшор ду.</verse>
				<verse number="14">Везачу Эло олу: «Со везарна кӀелхьарвоккхур ву Ас иза, Ӏалашвийр ву Со ларарна.</verse>
				<verse number="15">Сайга кхайкхахь, жоп лур ду цунна. ГӀайгӀанехь Со цуьнца ву. Ас иза паргӀат а воккхур ву, цуьнан сий а дийр ду.</verse>
				<verse number="16">Цуьнан дахар деха а хуьлуьйтур ду, цунна кӀелхьарвалар а лур ду».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="91">
				<verse number="1">Далла леринчу шоьтан дийнахь локху назма.</verse>
				<verse number="2">Ма дика ду-кх, Веза Эла, Хьуна хастамаш бар, Хьуна лерина эшарш лакхар, Веза Воккханиг,</verse>
				<verse number="3">Ӏуьйранна Хьан къинхетамах лаьцна дийца, ткъа буьйсанна — Хьан билггал бакъдолчух лаьцна дийца,</verse>
				<verse number="4">итт мерз болчу дечиг-пондар тӀехь а, хаза аз долчу дечиг-пондар тӀехь а.</verse>
				<verse number="5">Хьан гӀуллакхаша, Веза Эла, соьга сакъоьруьйту, Хьан куьйго динчунна со хастамийн йиш локхуш ву.</verse>
				<verse number="6">Даккхий ду Хьан гӀуллакхаш, Веза Эла, кӀорга ю Хьан ойланаш!</verse>
				<verse number="7">Хьекъал доцучун кхета ницкъ бац, сонтачун кхетам а ца кхочу,</verse>
				<verse number="8">Ӏесанаш, буц санна, гучубийлахь а, харцонаш лелочеран аьтто балахь а, уьш гуттаренна а дӀабаьхна хиларх.</verse>
				<verse number="9">Ткъа Хьо, Веза Эла, абаденналц массарна а тӀехь олалла дийриг ма ву!</verse>
				<verse number="10">Хьан мостагӀий, Веза Эла, хӀаллакьхир ма бу, вонаш лелораш дӀасалаьхкина хир ма бу.</verse>
				<verse number="11">Ткъа со Ахьа, бугӀа санна, ницкъ болуш вина, суна керла зайтдаьтта а хьаькхна.</verse>
				<verse number="12">Сайн мостагӀашна тӀехь толам баккхар гина сан бӀаьргашна. Сан лергашна хезна суна дуьхьалбевллачара хьекхна маьхьарий.</verse>
				<verse number="13">Делан лаамехь берш, хурма-дитт санна, заза даьккхина хуьлу, Ливанун-махкара баган-дитт санна, уьш хьала а кхуьу.</verse>
				<verse number="14">Везачу Элан цӀенна уллохь доьгӀна дитт санна, вайн Делан керташкахь заза доккху цара.</verse>
				<verse number="15">Уьш хан яьллачу хенахь а стом бахьаш хуьлу, ховха а, сийна гӀа долуш а хуьлу.</verse>
				<verse number="16">Иштта дӀагойтуш ду Веза Эла бакъ хилар а, сан тарх волчу Цуьнца харцдерг цахилар а.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="92">
				<verse number="1">	 Везачу Эло паччахьалла до. Цунна тӀехь сийлаллин духар ду. Веза Эла духар дуьйхина ву, Цо ницкъан доьхка дихкина. Дуьне онда лаьтташ а ду, иза меттахдер а дац.</verse>
				<verse number="2">Хьан Ӏарш ширачу заманал хьалха а йолуш ю. Хьо азалера дуьйна а волуш ву.</verse>
				<verse number="3">Хин Ӏовраша, Веза Эла, хьалаойу, хин Ӏовраша шайн аз хьалаойу, хин Ӏовраша чӀогӀа гӀовгӀа йо.</verse>
				<verse number="4">Амма дукхачу Ӏоврийн гӀовгӀанал чӀогӀа бу, хӀордийн тулгӀенийн гӀовгӀанал чӀогӀа бу лакхаллехь волчу Везачу Элан ницкъ.</verse>
				<verse number="5">Ахьа хӀиттийна бакъонаш тешаме ю. Хьан цӀа дерриг а деношкахь, Веза Эла, деза хиларца хаздина ду.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="93">
				<verse number="1">	 Веза Эла, Хьо — бекхам беш волу Эла ву, лепаш дӀахӀоттахьа, бекхам беш волу Дела!</verse>
				<verse number="2">ГӀаттахьа, дуьненан Кхелахо, курачарна бекхам бехьа.</verse>
				<verse number="3">Мел дахлур ду те Ӏесачеран сакъерадалар? Мел дахлур ду те уьш баккхийбер?</verse>
				<verse number="4">Цара шайн кура хабарш дуьйцу. Массо а зуламхой дозаллех буьзна бу.</verse>
				<verse number="5">Хьан халкъана, Веза Эла, гӀело йо цара, Хьан долахь берш цара бацабо.</verse>
				<verse number="6">Цара бисина Ӏаш болу зударий боха а бо, тӀебаьхкина нах а, бай а хӀаллак а до.</verse>
				<verse number="7">Цара боху: «Везачу Элана хӀара ца го, Якъубан Дала хӀокхуьнан тидам ца бо».</verse>
				<verse number="8">Хьекъале дуьйлийша, нахана юкъара кхетам боцурш! Маца кхетар ду теша шу, хьекъал доцурш?</verse>
				<verse number="9">Шуна лергаш Деллачунна дӀахезар дац ткъа? Шуна бӀаьргаш Деллачунна дӀагур дац ткъа?</verse>
				<verse number="10">Халкъашна таӀзар Дечо шу нисдийр дац ткъа? Адамаш Ӏамош Волчун хьекъал ца кхочу ткъа?</verse>
				<verse number="11">Везачу Элана адаман ойланаш евза, Цунна хууш ду и ойланаш эрна юйла.</verse>
				<verse number="12">Декъала ву, Веза Эла, Ахьа хьехар деш верг, Хьан товрат-хьехамаш Хьоьгара Ӏамош верг.</verse>
				<verse number="13">Бохаман деношкахь Ахьа цунна синтем ло, Ӏесачарна каш аьхкина даллалц.</verse>
				<verse number="14">Везачу Эло Шен халкъ дӀатоттур дац, Цо Шен долахь берш цкъа а буьтур бац.</verse>
				<verse number="15">Кхел ечу меттигашка нийсо юхайоьрзур ю, ткъа догцӀена мел берш цунна тӀаьхьахӀуьттур бу.</verse>
				<verse number="16">Мила ваьлла сан дуьхьа зуламечу нахана дуьхьал? Мила хилла соьца харцонаш лелош болчарна дуьхьал?</verse>
				<verse number="17">Везачу Эло суна гӀо ца динехь, кестта сан са эхартан тийналлехь хир дара.</verse>
				<verse number="18">«Сан ког шерша», — аьлла, суна хетачу хенахь, Хьан безамах, Веза Эла, суна гӀортор хилира.</verse>
				<verse number="19">Кийрахь со гӀайгӀане волчу хенахь, Ахьа бинчу синхьаамо сан дог синтеме далийра.</verse>
				<verse number="20">Хьоьца цхьаьнакхетар ма бац телхина кхелахой, нахана бохам баккха Ӏедал дерзораш.</verse>
				<verse number="21">Уьш цхьаьна а кхетий, нийса лелачарна дуьхьалбовлу, цара бехк боцучунна вайаран кхел кхайкхайо.</verse>
				<verse number="22">Амма Веза Эла сан гӀап хилла дӀахӀоьттина, сан Дела суна къайлаваккхаран тарх хилла.</verse>
				<verse number="23">Цара лелийначу зуламех Цо бекхам бийр бу, цара динчу вонна Цо уьш хӀаллак а бийр бу. Вайн Везачу Дала уьш хӀаллакбийр ма бу!</verse>
			</chapter>
			<chapter number="94">
				<verse number="1">	 Схьадуьйла, Везачу Элана хастам бер вай, вайн кӀелхьардовларан Тархе даккхийдерца кхойкхур вай.</verse>
				<verse number="2">Хастамаш барца Цунна хьалха хӀуьттур вай, даккхийдерца эшаршкахь Цуьнга кхойкхур вай.</verse>
				<verse number="3">Веза Эла сийлахь Дела ву, Массо а деланашна тӀехь сийлахь Паччахь ву Иза.</verse>
				<verse number="4">Лаьттан кӀоргалла а Цуьнан карахь ю, лаьмнийн баххьаш а Цуьнан ду.</verse>
				<verse number="5">ХӀорд а Цуьнан бу, Цо иза кхоьллина дела, ткъа декъа латта Цуьнан куьйгаша дина ду.</verse>
				<verse number="6">Дуьйло, Далла хьалха охьатаьӀар вай, вай кхоьллинчу Везачу Элана хьалха горахӀуьттур вай.</verse>
				<verse number="7">ХӀунда аьлча Иза вайн Дела ву, Цо Ӏалашдеш долу халкъ ду вай, Цуьнан куьйга кӀел долу жа ду. Тахана, нагахь шуна Цуьнан аз хазахь,</verse>
				<verse number="8">«Дуьхьал ма дийлалаш, Мерибахь а, Массехь а санна а, зеран дийнахь яьссачу арахь санна а.</verse>
				<verse number="9">Шун дайша Со зийра цигахь, Ас дина мел дерг шайна гиннашехь.</verse>
				<verse number="10">Шовзткъа шарахь цу тӀаьхьенна оьгӀазъоьхуш Ӏийра Со. Ас элира: „Шайн дегнашкахь тиладелла халкъ ду иза, Сан новкъа ца баха уьш“.</verse>
				<verse number="11">Цундела Сайн оьгӀазаллица Ас чӀагӀо йира, синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац уьш аьлла».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="95">
				<verse number="1">	 Керла йиш лакха Везачу Элана, дерриг а дуьнено лакха Цунна.</verse>
				<verse number="2">Эшарш лакха Везачу Элана, хастам бе Цуьнан цӀарна! Де дийне мел дели, Цуьнан кӀелхьардахар кхайкхаде.</verse>
				<verse number="3">Къаьмнашна юкъахь Цуьнан сийлалла дӀакхайкхае, массо а халкъашка Цуьнан тамашийна гӀуллакхаш дӀадийца.</verse>
				<verse number="4">Сийлахь ву Веза Эла, Цунна хастамаш бан хьакъ а ду. Массо а деланел а Шега болчу ларамах бузуьйтуш ву Иза.</verse>
				<verse number="5">Кхечу къаьмнийн массо а деланаш — цӀуш бу, ткъа Везачу Эло стигалш кхоьллина.</verse>
				<verse number="6">Цунна гонах паччахьан сий а, исбаьхьалла а ю. Цуьнан деза цӀа ницкъах а, сийлаллех а дуьзна ду.</verse>
				<verse number="7">Къаьмнийн доьзалш, Везачу Элана хастамаш бейша! Везачу Элан сийлалла а, ницкъ а кхайкхадейша!</verse>
				<verse number="8">Везачу Элан цӀеран сийлаллина лерина кхайкхамаш бейша! СагӀанаш а дахьаш, Цуьнан цӀийнан керта дуьйлийша!</verse>
				<verse number="9">Везачу Эло Шен возалла гойтучу хенахь Цунна суждане гӀойша. Дерриг а дуьне, дегаде Цунна хьалха!</verse>
				<verse number="10">ДӀаала халкъашка: «Веза Эла паччахьалла деш ву! Латта чӀогӀа лаьтташ ду, ткъа иза меттахдер а дац! Цо бакъонца кхел йийр ю халкъашна юкъахь».</verse>
				<verse number="11">Стигалш сакъералойша! Латта, даккхийде! ХӀордо а, цунна чохь мел долчу хӀумано а гӀовгӀа е!</verse>
				<verse number="12">Кхаш а, царна тӀехь мел дерг а даккхийдеш хила. Хьуьнхахь мел долу дитташ а даккхийдеш хила</verse>
				<verse number="13">Далла хьалха, хӀунда аьлча Иза вогӀуш ву, дуьненна нийса кхел ярхьама. Цо дуьненна нийсонца кхел йийр ю, халкъашна а догцӀеналлица кхел йийр ю.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="96">
				<verse number="1">	 Веза Эла паччахьалла деш ву: дуьне доккхадеш хуьлийла! ХӀордан йистехь мел дехаш долу къаьмнаш а сакъералуш хуьлийла!</verse>
				<verse number="2">Цунна гонах мархаш а, Ӏаьржа бода а бу. Нийсо а, бакъдерг а Цуьнан Ӏаршан бух бу.</verse>
				<verse number="3">Цунна хьалха цӀе йоьдуш а ю, ткъа Цунна гонах мел болу мостагӀий оцу цӀаро дӀакхоллуш а бу.</verse>
				<verse number="4">Цуьнан стелахаьштиго дерриг а дуьне серладоккху. Хьежа а хьоьжуш, латта дегош ду.</verse>
				<verse number="5">Лаьмнаш, балоз санна, дешаш ду Везачу Элана хьалха, дерриге а дуьненан Хьалдолчу Элана хьалха.</verse>
				<verse number="6">Стигалша Цуьнан нийсо дӀакхайкхайо, массо а халкъашна Цуьнан сийлалла го.</verse>
				<verse number="7">ЮьхьӀаьржачу хӀуьтту цӀушна Ӏибадат деш берш, эхьах бузуьйту харцделанех дозалла деш берш. Цунна хьалха суждане боьлху массо а деланаш.</verse>
				<verse number="8">Цийон, иза хаза а хезна, йоккхаеш ю, ЯхӀуд-мехкан ярташ сакъералуш ю, Веза Эла, Ахь нийса кхелаш йина дела.</verse>
				<verse number="9">Хьо, Веза Эла, дерриг а дуьнен тӀехь уггар лекханиг а ву, массо а деланел а кхоччуш лекха а ву.</verse>
				<verse number="10">Веза Эла везаш дерш, ма дезийша вониг! Цо Шен долахь болчеран синош лар а до, Цо уьш Ӏесачеран карара схьа а боху.</verse>
				<verse number="11">Цуьнан лаамехь болчарна тӀехь Делан нур лепа, догцӀена болчарна тӀе доккхадер дуссу.</verse>
				<verse number="12">Сакъералуш хила, Делан лаамехь дерш, Везачу Эло шун дуьхьа мел динчунна! Цуьнан возалла дага а лоцуш, хила Цунна хастамаш беш!</verse>
			</chapter>
			<chapter number="97">
				<verse number="1">Назма. Везачу Элана керла йиш лакхийша, Цо тамашийна гӀуллакхаш дина дела. Цуьнан аьтту куьйго а, Цуьнан нуьцкъалчу пхьаьрсо а Цуьнга толам баккхийтина.</verse>
				<verse number="2">Везачу Эло Шен кӀелхьардаккхар довзийтина, Шен нийсо а Цо халкъашна хьалха гайтина.</verse>
				<verse number="3">Цо биц ца бина Шен хедар боцу безам а, Исраилан халкъана Ша тешаме хилар а. Лаьттан массо а маьӀӀера болчу нахана дӀагина вайн Дала Шен халкъ кӀелхьардаккхар.</verse>
				<verse number="4">Самукъане кхайкха Везачу Эле, дерриг а дуьне, адамаш, даккхий а деш, Цунна хастаман эшарш лекха!</verse>
				<verse number="5">Дечиг-пондар лакха Везачу Элана, эшарийн аьзнашца а, дечиг-пондаршца а лакха Цунна.</verse>
				<verse number="6">Турбанаш а, маӀаш а лоькхуш, самукъадолуш хила Паччахь волчу Везачу Элана хьалха.</verse>
				<verse number="7">Сакъералуш хуьлийла хӀорд а, цунна чохь мел долу хӀума а, иштта дерриг дуьне а, цунна тӀехь дехаш мел дерг а.</verse>
				<verse number="8">Хиша шайн тӀараш а деттийла, лаьмнаш цхьаьний самукъане а хуьлийла,</verse>
				<verse number="9">Везачу Элана хьалха цара эшарш а лоькхийла, хӀунда аьлча Иза ву лаьттана кхел ян вогӀуш. Цо дуьненна нийсонца кхел йийр ю, халкъашна а догцӀеналлица кхел йийр ю.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="98">
				<verse number="1">	 Везачу Эло паччахьалла до: дегадойла халкъаш! Иза каруб-маликашна тӀехула йолчу Шен Ӏаршана тӀехь хиъна Ӏаш ву: дегадойла латта!</verse>
				<verse number="2">Веза Эла Цийонехь сийлахь-воккха ву, Иза дерриге а къаьмнел лекха а ву.</verse>
				<verse number="3">Цара хастам бойла Хьан цӀарна, иза сийлахь а, ларам бузуьйтуш а ю, Дела веза ма ву!</verse>
				<verse number="4">Паччахь нуьцкъала ву, Иза нийса кхел езаш ву. Ахь нийсо дӀахӀоттийна. Якъубан тӀаьхьенан халкъана Ахь бакъдерг а, нийсо а лелийна.</verse>
				<verse number="5">Вазвейша вайн Веза Дела, Цуьнан когийн кӀелонна хьалха Ӏибадат дейша, Дела веза ма ву!</verse>
				<verse number="6">Динан дайшна юкъахь Муса а, АхӀарон а вара, ткъа Шамъал а вара Цуьнга кхойкхучарна юкъахь. Цара Везачу Эле доӀанаш дора, Цо царна дуьхьал жоп а лора.</verse>
				<verse number="7">Мархин бӀогӀамна юкъара схьа вистхуьлуш вара Иза цаьрга. Цуьнан бакъонаш а, Цо делла парзаш а цара лардора.</verse>
				<verse number="8">Тхан Веза Дела! Ахьа цаьрга ладугӀура. Хьо церан къиношна гечдеш волу Дела хилира, ткъа цара лелийначу вонашна Ахь бекхам бора.</verse>
				<verse number="9">Вазвейша вайн Веза Дела! Ӏибадат дейша Цуьнан безачу лома тӀехь, хӀунда аьлча веза ву вайн Веза Дела.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="99">
				<verse number="1">Баркаллин назма. Дерриг а латта, самукъане кхайкха Везачу Эле!</verse>
				<verse number="2">Хазахетарца Ӏамал е Везачу Элана. Цунна хьалха даккхийдеран эшаршца гӀо!</verse>
				<verse number="3">ДӀахаалаш, Веза Эла — Дела вуйла. Вай кхоьллинарг Иза ву, вай Цуьнан долахь а ду. Вай Цуьнан халкъ а ду, Цуьнан дежийлашкара уьстагӀий а ду.</verse>
				<verse number="4">Баркалла аларца довлалаш Цуьнан кевнна чу, иштта Иза хаставарца Цуьнан керташка а. Баркалла ала Цунна, декъалъе Цуьнан цӀе.</verse>
				<verse number="5">ХӀунда аьлча Веза Эла дика ву, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу, ткъа Цуьнан тешаме хилар лаьтташ ду массо а тӀейогӀучу тӀаьхьенашна.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="100">
				<verse number="1">Даудан назма. Тешаме хиларх а, нийсонах а лаьцна ас назма эр ю, Хьуна, Веза Эла, ас хастаман йиш локхур ю.</verse>
				<verse number="2">Аса тидам бийр бу цӀеначу новкъахь со лелаш хиларан. Хьо маца вогӀур ву те суна тӀе? ЦӀеначу дагца со лелар ву сайн цӀа чохь.</verse>
				<verse number="3">Ас сайна уллохь вон гӀуллакх дойтур дац. Делах дӀабирзинчара лелораш суна ца деза. И хӀуманаш суна тӀелетар дац.</verse>
				<verse number="4">Телхина ойланаш ас дага чуьра дӀахерйийр ю. Вон хӀуманаш суна девзар дац.</verse>
				<verse number="5">Къайлаха шайна уллорачарна луьйш берш ас дӀасовцор бу. Кура бӀаьргаш а, кура дог а дерш сайна уллохь хуьлуьйтур бац.</verse>
				<verse number="6">Аса къобалбийр бу махкахь Далла тешаме берш, уьш сайца цхьаьна бахкийтархьама. ЦӀеначу новкъахь лелаш болчаьрга — цаьрга сайна гӀуллакх дойтур а ду.</verse>
				<verse number="7">Ямарта волу стаг сан цӀа чохь Ӏийр вац. Харцдерг дуьйцург сан бӀаьргашна хьалха лаьттар вац.</verse>
				<verse number="8">ХӀора Ӏуьйранна ас совцор бу махкахь болу массо а Ӏесанаш. Везачу Элан гӀалара Аса дӀабохур бу берриш а харцонаш лелош берш.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="101">
				<verse number="1">Баланехь волчу стеган доӀа, иза дог доьхна волчу хенахь дина цо, Везачу Элана хьалха шен бала балхочу хенахь.</verse>
				<verse number="2">Веза Эла! ДӀахазахьа сан доӀа, сан орца даккхар Хьо волчу дӀакхочийла.</verse>
				<verse number="3">Соьга вон деанчу дийнахь Хьайн юьхь сох къайла ма яккхахьа. Хьайн лерг соьга схьадерзадехьа, со Хьайга кхойкхучу дийнахь суна сихонца жоп лохьа.</verse>
				<verse number="4">Сан денош, кӀур санна, къайладовлуш ду, сан даьӀахкаш, кхерч санна, йогуш ю.</verse>
				<verse number="5">Сан дог доьхна, иза, буц санна, дакъаделла, со сайна кхача баа а вицло.</verse>
				<verse number="6">Сайгахь болу бала бахьана долуш со азвелла дӀахӀоьттина.</verse>
				<verse number="7">Яьссачу арахь лела бухӀа санна, висина со, саьлнаш юкъахь ехаш йолу бухӀа санна ву со.</verse>
				<verse number="8">Со вуьжуш а вац, суна наб а ца кхета, тхов тӀехь Ӏаш долу ша дисна олхазар санна ву со.</verse>
				<verse number="9">МостагӀаша дийнахь сарралц суна кхиссарш йо, со кхаьрдачара сох нахана неӀалташ боху.</verse>
				<verse number="10">Бепиг санна, чим боу аса, ас молуш мел дерг сан бӀаьрхиша дурдина.</verse>
				<verse number="11">И дерриг а Хьо суна оьгӀазвахар бахьана долуш ду, хӀунда аьлча Ахьа со хьала а айина, юха охьа а кхоьссина.</verse>
				<verse number="12">Сан денош къайладолу ӀиндагӀ санна ду, со, буц санна, вакъавелла дӀаваьлла.</verse>
				<verse number="13">Ткъа Хьо, Веза Эла, абаденналц а паччахьалла деш ву, Хьо тӀаьхьенашкара тӀаьхьенийн а дагахь ву.</verse>
				<verse number="14">Хьо гӀоттур ву, Ахьа Цийонах къинхетам бийр бу, цуьнца дика хила еза зама тӀееана дела. Билгалъяьккхина хан тӀе ма еана.</verse>
				<verse number="15">Хьан леш долчу тхуна цунах дисна тӀулгаш а дукхадеза. Цунах йисинчу саьлнийн ченах а тхуна кхоам хета.</verse>
				<verse number="16">Къаьмнаш ларамах дузур ду Везачу Элана хьалха, лаьттахь мел бехаш болчу паччахьаша Хьан сийлалла лорур ю.</verse>
				<verse number="17">Везачу Эло Цийон юхаметтахӀоттор ю, ткъа Иза Шен сийлаллица массарна а дуьхьалхӀуттур ву.</verse>
				<verse number="18">ГӀийлачу адамийн доӀа Цунна дӀахезар ду, Иза къора хир вац цара доьхучунна.</verse>
				<verse number="19">Цунах лаьцна тӀейогӀучу тӀаьхьенна дӀаяздина хуьлийла, хӀинццалц кхоьллина доцучу халкъе Цунна хастамаш байтархьама.</verse>
				<verse number="20">Лакхенгахь йолчу Шен езачу меттера Веза Эла охьа а хьаьжира, стигалшкара дуьнене Цо бӀаьрг а туьйхира,</verse>
				<verse number="21">набахтехь болчеран узарш хазархьама а, хӀаллакбан кхел йинарш паргӀатбахархьама а.</verse>
				<verse number="22">Иштта, Цийонехь Везачу Элан цӀе а йоккхур ю, Ярушалаймехь Цунна хастам а бийр бу,</verse>
				<verse number="23">къаьмнаш а, пачхьалкхаш а схьагулъелча, Везачу Элана Ӏибадат дархьама.</verse>
				<verse number="24">Къоналлехь Цо со гӀелвина, сан денош а Цо дацдина.</verse>
				<verse number="25">ТӀаккха ас элира: «Сан Дела! Со къона волчу хенахь ма валийтахьа со. Хьо массо а ханна хир ма ву вехаш.</verse>
				<verse number="26">Ахь юьхьанца латта кхоьллина, Хьайн куьйгашца стигалш йина.</verse>
				<verse number="27">Уьш дӀадевр ду, ткъа Хьо вуьсур ву. Уьш дерриг а, бедарш санна, тишлур ду. ТӀеюху хӀума санна, Ахь уьш хуьйцур ду, тӀаккха уьш къайладохур ма ду.</verse>
				<verse number="28">Амма Хьо цкъа а хийцалур вац, Хьан дахар чекх а дер дац.</verse>
				<verse number="29">Хьан леш долчу тхан бераш маьршачу меттехь дехар ду, ткъа церан тӀаьхьенаш Хьуна хьалха Ӏаш хир ю».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="102">
				<verse number="1">Даудан назма. Декъалвойла сан сино Веза Эла! Суна чохь мел долчу хӀумано а декъалйойла Цуьнан еза цӀе!</verse>
				<verse number="2">Сан сино Веза Эла декъалвойла! Сан даго Цо мел дина дика диц а ма дойла!</verse>
				<verse number="3">Ас мел хьерчийначу къиношна а геч ма до Цо. Сан мел йолчу цамгарех а то ма во Цо.</verse>
				<verse number="4">Со валарх а ларво Цо. Шен хедар боцучу безамца а, къинхетамца а го бо Цо.</verse>
				<verse number="5">Сан дахар диканах дузу Цо. Къоначу аьрзунан санна, сан къоналла а карлайоккху Цо.</verse>
				<verse number="6">Везачу Эло бакъонца дерг а кхуллу, ницкъ хиллачунна а нийсо хилийта хьожуш ву Иза.</verse>
				<verse number="7">Шен некъаш гайтира Цо Муса-пайхамарна. Шен гӀуллакхаш гайтира Цо Исраилан халкъана.</verse>
				<verse number="8">Къинхетаме а, дика а ву Веза Эла. Иза оьгӀаз а атта ца воьду, ткъа Цуьнан безам а боккха бу.</verse>
				<verse number="9">Гуттаренна а ца хуьлу Везачу Эло бехк биллар. Гуттаренна а дац Цуьнан оьгӀазвахар.</verse>
				<verse number="10">Вай еш йолчу харцонашка хьаьжжина, ца до Цо вайна дан доггӀург. Вай хьерчош долчу къиношка хьаьжжина, ца до Цо Ша дийриг а.</verse>
				<verse number="11">ХӀунда аьлча, стигал лаьттана гена йолччул, боккха бу Везачу Элан Шех кхоьручаьрга болу безам.</verse>
				<verse number="12">Малхбалехьара малхбузенга кхаччалц йолу еха юкъ санна, дӀакъастадо Цо вай хьерчийна долу къинош вайх.</verse>
				<verse number="13">Дай шайн берашца къинхетаме хиларе терра, Везачу Эло а къинхетам бо Шех кхоьручарах.</verse>
				<verse number="14">Везачу Элана хаьа, Ша вай стенах кхоьллина ду, хаьа Цунна, Ша вай поппарх дина дуйла.</verse>
				<verse number="15">Адамийн денош а, тӀеяьлла йолу буц санна, доца ду. Аренгахь кхуьу зезаг санна, кхуьу адамаш а.</verse>
				<verse number="16">Ткъа чӀогӀа мох тӀехьаькхча, и зезаг хӀаллакьхуьлу, и хилла меттиг а евзар яц цхьанна а.</verse>
				<verse number="17">17-18 Азалера абаденналц бу Везачу Элан хедар боцу безам Цунах кхоьручаьрга, ткъа Цуьнца бина барт ларбеш йолчу а, Цо делла парзаш кхочушдеш йолчу а массо а тӀаьхьенашна Цуьнан дика лаьтта.</verse>
				<verse number="18">***</verse>
				<verse number="19">Стигалшкахь дӀахӀоттийна Везачу Эло Шен олаллин гӀант. Олалла до Цо доллучу хӀуманна а тӀехь.</verse>
				<verse number="20">Онда ницкъ болуш долчу а, Цуьнан дош кхочушдеш долчу а массо а маликаша декъалвойла Веза Эла, Цуьнан дашна муьтӀахь а хуьлуш.</verse>
				<verse number="21">Цуьнан лаамаш кхочушбеш болу ялхой болчу стигалийн массо а ницкъаша декъалвойла Веза Эла.</verse>
				<verse number="22">Декъалвойла Веза Эла Цуьнан доллучу гӀуллакхаша, Цо олалла деш йолчу массо а меттигашкахь! Декъалвойла Веза Эла сан сино!</verse>
			</chapter>
			<chapter number="103">
				<verse number="1">	 Хастам бе, сан са, Везачу Элана! Сан Веза Дела, Хьо инзаре воккха ву, паччахьан сий а, исбаьхьалла а Хьан духар санна ду.</verse>
				<verse number="2">Ахь оба санна, тӀеюхуш ерг серло ю, четар санна дӀасаяржийна Ахьа стигал а.</verse>
				<verse number="3">Ахьа стигаларчу хишна тӀехула Хьайна Ӏа меттиг йо. Мархех Ахь Хьайна гӀудалкх йо, Хьо мохан тӀемашна тӀехь а хехкало.</verse>
				<verse number="4">Ахьа мехех Хьайн геланчаш бо, цӀеран алунех Хьайн ялхой бо.</verse>
				<verse number="5">Ахьа латта чӀоггӀачу бух тӀе хӀоттийна, иза абаденналц меттах а дер дац.</verse>
				<verse number="6">Латта, юргӀано санна, Ахьа кӀоргачу хица дӀахьулдина, гобаьккхинчу хино лаьмнаш а къайладаьхна.</verse>
				<verse number="7">Амма хиш, Ахьа бохург а дина, юхадевлла, къекъачу Хьан озах къаьхкина уьш девдда дахана.</verse>
				<verse number="8">Лаьмнаш хьаладовлучу хенахь, тогӀеш охьайовлучу хенахь, уьш Ахьа царна билгалъяьккхинчу меттиге дӀадахана.</verse>
				<verse number="9">Ахьа царна тӀехдевр доцу доза дӀахӀоттийна, латта дӀахьулдан уьш юха ца дахийтархьама.</verse>
				<verse number="10">Ахьа тогӀешна чухула хин хьостанаш дӀадохуьйту, и хиш лаьмнашна юккъехула дӀа а оьху.</verse>
				<verse number="11">Цара ерриг а акхарошна хи ло. Акха варраша шайн хьогалла дӀайоккху.</verse>
				<verse number="12">Царна гонах стигаларчу олхазарша а шайн баннаш до, гаьннашна юкъара шайн аьзнаш схьа а хозуьйтуш.</verse>
				<verse number="13">Хьайн лакхенгара лаьмнаш Ахь хих Ӏабадо, Хьан куьйгаша кхоьллинчух Ахь латта Ӏабадо.</verse>
				<verse number="14">Бежанашка яийта Ахьа буц хьалайолуьйту, адамаша лелош долу ораматаш а хьаладовлуьйту. Иштта, цара лаьттара кхача кхиабо,</verse>
				<verse number="15">адаман дог самукъадаккха чагӀар а до, цуьнан сибат къаго зайтдаьтта а до, дог чӀагӀдеш долу бепиг а до.</verse>
				<verse number="16">Ӏаббалц тӀуналла ло Везачу Элан дитташна, Цо Ша дӀадоьгӀна долу Ливанунан баган-дитташна.</verse>
				<verse number="17">Царна тӀехь шайн баннаш до олхазарша, ткъа аисто шен бен лекхачу диттана тӀехь бина.</verse>
				<verse number="18">Лекха лаьмнаш масаршна хӀусам хилла дӀахӀиттина, ткъа тархех лаьмнийн дехкашна дӀаловчкъийла хилла.</verse>
				<verse number="19">Хенан хийцам гайтархьама, Ахьа бутт кхоьллина, ткъа ша маца дӀабуза беза хууш болу малх а Ахьа кхоьллина.</verse>
				<verse number="20">Ахьа бода дӀабаржабо, тӀаккха буьйса тӀекхочу. И хан тӀекхаьчча, евлла лелаш хуьлу массо а хьуьнан акхарой.</verse>
				<verse number="21">Лоьмаша, гӀигӀ деш, ижу йоьху, Дала ло кхача шайна лоьхуш.</verse>
				<verse number="22">Малх схьакхетарца уьш дӀа а теба, шайн Ӏуьргашкахь охьа а дуьйшу.</verse>
				<verse number="23">Ткъа адам шайн болх бан хьалагӀотту, цо сарралц къа а хьоьгу.</verse>
				<verse number="24">Ма дукха ду-кх, Веза Эла, Ахьа кхоьллинарг! Массо а хӀума хьекъалаллица кхоьллина Ахьа. Дерриг а дуьне Ахь кхоьллинчух хьаладуьзна ду.</verse>
				<verse number="25">Хьажахьа хӀорде, боккха а, шуьйра а болчу, чохь дагар ца даллал дукха яккхий а, кегий а садолу хӀуманех сийсаш болчу.</verse>
				<verse number="26">Цунна тӀехула хӀордкеманаш лела, цу чохь Левиятан ловзабуьйлу, Ахьа кхоьллина хӀордан саьрмик.</verse>
				<verse number="27">Цара массара а Ахьа шен-шен хенахь шайна кхача баларе сатуьйсу.</verse>
				<verse number="28">Ахьа царна кхача белча, цара иза дӀаоьцу, Ахьа Хьайн куьг делча, уьш дикачух Ӏеба.</verse>
				<verse number="29">Хьайн юьхь Ахьа къайлаяьккхича, уьш доьхна хьийза, шайн са Ахьа дӀадаьккхича, уьш ле, чан хуьлий, дӀа а довлу.</verse>
				<verse number="30">Ахьа царна Хьайн са делча, уьш кхуллу, цу тайпана Ахьа лаьттан сибат цӀиндо.</verse>
				<verse number="31">Массо а ханна хуьлийла Везачу Элан сийлалла, воккхавеш хуьлийла Веза Эла Ша кхоьллинчух!</verse>
				<verse number="32">Иза дӀахьожжушехь, дуьне дегадо, Иза дӀахьакхалушшехь, лаьмнех кӀур болу.</verse>
				<verse number="33">Везачу Элана назма олуш хир ву со, со мел веха, иштта сан Далла хастамаш беш а хир ву со, айса хан мел йоккху.</verse>
				<verse number="34">Реза хуьлийла Иза ас дӀаолучу назманна, со самукъадолуш хир ву Везачу Элах.</verse>
				<verse number="35">Дуьнен чуьра дӀабовлийла массо а къинош летийнарш, Ӏеса адамаш а ма хуьлийла кхин. Хастам бе, сан са, Везачу Элана! Везачу Элана бу хастам!</verse>
			</chapter>
			<chapter number="104">
				<verse number="1">	 Баркалла ала Везачу Элана! Цуьнан цӀарна хастамаш бе! Довзийта халкъашна Цуьнан гӀуллакхаш.</verse>
				<verse number="2">Иллеш ала Цунна, пондарш лакха Цунна. Дерриг а Цуьнан тамашийначу гӀуллакхех лаций дӀадийца.</verse>
				<verse number="3">Дозалла де Цуьнан езачу цӀарах! Веза Эла лоьхучийн дегнаш самукъадолуш хуьлийла!</verse>
				<verse number="4">Веза Эла а, Цуьнан ницкъ а лаха, гуттар Цунна уллохь хила гӀерта.</verse>
				<verse number="5">Дагахь латтаде Цо дина тамашийна гӀуллакхаш а, Цо гайтина билгалонаш а, Цо йина кхелаш а,</verse>
				<verse number="6">ва Шен ялхо волчу ИбрахӀиман хӀу дерш, Ша хаьржина волчу Якъубан тӀаьхьенах дерш.</verse>
				<verse number="7">Веза Эла волу Иза вайн Дела ву. Цуьнан кхелаш массо а лаьттахула ю.</verse>
				<verse number="8">Цо даим дагахь латтор бу Шен барт, эзаран барамехь йолчу тӀаьхьенашна Ша делла дош,</verse>
				<verse number="9">ИбрахӀимца Цо бина болу барт, Исхьакхана чӀагӀо йина долу ваӀда.</verse>
				<verse number="10">Цо Якъубана иза чӀагӀдира парз санна, Исраилана — гуттаренна а болу барт санна.</verse>
				<verse number="11">Цо аьллера: «Хьуна лур ду Аса канаӀанхойн латта, и дакъа хьуна шерет санна кхочур ду».</verse>
				<verse number="12">Церан терахь цу хенахь дуккха а ца хилла, кӀезиг а болуш, уьш махкахь тӀебаьхкина Ӏаш хилла.</verse>
				<verse number="13">Уьш дӀаоьхура цхьа къам долчуьра важа къам долчу, цхьана пачхьалкхера кхечу халкъан пачхьалкх йолчу.</verse>
				<verse number="14">Дала цхьанна а пурба ца лора уьш бацабайта, церан дуьхьа Цо паччахьашка дӀахьедар дора:</verse>
				<verse number="15">«Ас къобалбинчарах дӀа ма хьакхалолаш, Сан пайхамаршна зулам а ма делаш».</verse>
				<verse number="16">Дала мацалла хӀоттийра лаьтта тӀехь, церан дисна напха а хӀаллакдира Цо.</verse>
				<verse number="17">Цо царна хьалхаваьлла стаг вахийтира — лай вина воьхкина волу Юсуп.</verse>
				<verse number="18">Цуьнан когашна буржалш тоьхнера, цуьнан вортана тӀехь аьчка гӀомат яра,</verse>
				<verse number="19">ша аьлла долу хиндерг хилла а далале. Везачу Элан дашо иза зуьйш хиллера.</verse>
				<verse number="20">Мисар-мехкан паччахьо мукъаваьккхира Юсуп, набахтера араваьккхира иза къаьмнийн олахочо.</verse>
				<verse number="21">Цо шен цӀа чохь хьаькам вина дӀахӀоттийра иза, шен мел долчу хьолана дола дан а,</verse>
				<verse number="22">иштта цуьнга элашна тӀехь олалла дайта а, къаношна хьекъалалла далийта а.</verse>
				<verse number="23">ТӀаккха Исраил Мисар-махка чу велира, Якъуб Хьамин тӀаьхьенийн лаьтта тӀехь, хийра стаг санна, ваха дӀавахара.</verse>
				<verse number="24">ЧӀогӀа дебийра Везачу Эло Шен къам, церан мостагӀел а ницкъ болуш бира Цо уьш.</verse>
				<verse number="25">Цо мостагӀийн дегнаш хийцира, Шен къам ца дезийта а, Шен ялхошна дуьхьал мекарлонца лела а.</verse>
				<verse number="26">Цо Мисар-махка Шен ялхо волу Муса а, Ша хаьржина волу АхӀарон а вахийтира.</verse>
				<verse number="27">Мисархошна хьалха цара кхочушйира Дала царна аьлла йолу билгалонаш, Хьамин тӀаьхьенийн лаьтта тӀехь цара тамашийна гӀуллакхаш гайтира.</verse>
				<verse number="28">Дала бода бахийтира цига, боданах дуьзира латта, Цуьнан дешнашна дуьхьал уьш бевлла дела.</verse>
				<verse number="29">Церан хийх цӀий хилийтира Цо, церан чӀерий хӀаллак а хуьлуьйтуш.</verse>
				<verse number="30">Церан латта пхьидарчех хьаладуьзира, церан паччахьан цӀенош чохь а яра уьш.</verse>
				<verse number="31">Иза вистхуьллушехь, жӀаьлийн мозий гучудевлира, массо а махкахула чуьркаш а яьржира.</verse>
				<verse number="32">Церан догӀанех Цо къора хилийтира, массо а лаьттахула ткъес тохийтира.</verse>
				<verse number="33">Кемсийн таьллангаш а, инжиран дитташ а дохийра, шаьш долчохь мел долу дитт а хӀаллакдира.</verse>
				<verse number="34">Иза вистхуьллушехь, цӀоз даьржира, барам боцуш дукха уьш хилира.</verse>
				<verse number="35">Церан лаьтта тӀера ерриг буц а, кхаш тӀехь кхиъна мел долу ялта а дӀадиира цара.</verse>
				<verse number="36">Цул тӀаьхьа Цо массо а хьалха вина доьзалхо хӀаллаквира, церан ницкъо дуьххьара кхуьуьйтурш байина дӀабехира.</verse>
				<verse number="37">ТӀаккха Шен халкъ Мисар-махкара арадаьккхира Цо, деших а, детих а йина хӀуманаш цара дӀаяьхьира, Цуьнан долахь долчу тайпанех цхьанна а стеган ког а ца тасабелира.</verse>
				<verse number="38">Церан арадовларх даккхийдеш дара Мисар-махкара халкъ, исраилхойх болу кхерам царна тесна болу дела.</verse>
				<verse number="39">Цо марха яржийра, Шен халкъ дӀахьулдархьама, буса Цо цӀе хилийтира, царна серло ялархьама.</verse>
				<verse number="40">Цара яа хӀума йийхира — Цо лекъаш делира царна, стигаларчу ялтица уьш Ӏаббалц буза а бира.</verse>
				<verse number="41">Цо тарх йоьккъушехь, хи схьахецаделира, татолаш а хилла, иза яьссачу аренгахула дӀадахара.</verse>
				<verse number="42">Дала иза дира, хӀунда аьлча Цунна дагахь яра Ша йина еза чӀагӀо, Шен ялхо волчу ИбрахӀимна Ша делла долу дош.</verse>
				<verse number="43">Цо Шен къам доккхадерца арадаьккхира, цара самукъане маьхьарий а детташ, Мисар-махкара Ша хаьржинарш Цо арабехира.</verse>
				<verse number="44">Цо кхечу къаьмнийн латтанаш царна дӀаделира, кхечу наха къахьегнарг царна дӀакхачийтира,</verse>
				<verse number="45">Шен парзаш цаьрга кхочушдайтархьама а, Шен товрат-хьехамаш цаьрга ларбайтархьама а. Хастам бу Везачу Элана!</verse>
			</chapter>
			<chapter number="105">
				<verse number="1">Хастам бу Везачу Элана! Баркалла ала Везачу Элана, Иза дика хиларна, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.</verse>
				<verse number="2">Везачу Эло мел дина сийлахь гӀуллакхаш хьаьнга кхайкхалур ду? Цунна боггӀу хастамаш кхоччуш хьаьнга балур бу?</verse>
				<verse number="3">Декъала ву бакъдерг лардеш верг, массо а хенахь нийсо лелош верг.</verse>
				<verse number="4">Веза Эла, Айхьа Хьайн къомана диканиг дича, суна а дехьа иза, Айхьа уьш кӀелхьарбохучу хенахь, суна а орцахвалахьа.</verse>
				<verse number="5">Ахьа хаьржинчеран хуьлу беркат суна гайтархьама а, Хьан къомаца цхьаьна соьга сакъерийтархьама а, Хьан долахь болчаьрца соьга а Хьох дозалла дайтархьама а.</verse>
				<verse number="6">Тхайн дайша санна оха къинош летийна. Оха вонаш а дина, Ӏеса а лелла тхо.</verse>
				<verse number="7">Тхан дай Мисар-махкахь болчу хенахь, Хьан тамашийначу хӀуманех уьш ца кхийтира, Хьан безам шайна мосазза гойту дага а ца догӀуш, уьш Эрзийн хӀорд болчохь Хьуна дуьхьалбевлира.</verse>
				<verse number="8">Амма Цо уьш Шен цӀе бахьана долуш кӀелхьарбехира, царна Шен нуьцкъалалла дӀагайтархьама.</verse>
				<verse number="9">Цо Эрзийн хӀордана омра дича, иза бакъабелира. Хих, гӀум санна, екъа хиллачу меттехула Цо уьш дӀабигира.</verse>
				<verse number="10">Цо уьш цабезачийн куьйга кӀелара схьабехира, мостагӀех уьш кӀелхьар а бехира.</verse>
				<verse number="11">Хино къайлабехира церан мостагӀий, царах цхьа а кӀелхьар а ца велира.</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха Цо йинчу чӀагӀонех уьш тийшира, Цунна хастамийн эшарш а лоькхура.</verse>
				<verse number="13">Амма кестта Цуьнан гӀуллакхаш царна дицделира, Цуьнан хьехамашка а уьш ца хьоьжура.</verse>
				<verse number="14">Яьссачу аренгахь уьш лаамех буьзира, эрначу оцу аренгахь цара Дела зийра.</verse>
				<verse number="15">Цара дехнарг Цо царна дӀаделира, амма шатайпа долу хала ун царах кхетийтира.</verse>
				<verse number="16">Меттаматтара нах Мусах хьега буьйлабелира, Далла гӀуллакх дан къобалвинчу АхӀаронах а хьийгира.</verse>
				<verse number="17">ТӀаккха лаьтто, дӀаса а декъаделла, Датан дӀакхаьллира, Абирамна тӀаьхьахӀоьттина тоба лаьтто дӀайоьллира.</verse>
				<verse number="18">Царна тӀаьхьахӀиттинчарах цӀе елира, Ӏеса мел берш алуно дӀакхаьллира.</verse>
				<verse number="19">Хьариб-ломана уллохь халкъо деших старгӀа йира, лалийначу деших винчу оцу цӀунна Ӏибадат а дира.</verse>
				<verse number="20">Цара шайн сийлалла йолу Дела хийцира буц Ӏуьйшуш лаьттачу стеран суьртах.</verse>
				<verse number="21">Цара шаьш кӀелхьардаьхна волу Дела вицвинера, Мисар-махкахь тамашийна хӀуманаш дина волу,</verse>
				<verse number="22">Хьамин тӀаьхьенийн лаьтта тӀехь Ӏаламаташ дина волу а, Эрзийн хӀорд болчохь ларамах бузуьйту хӀуманаш дина волу а.</verse>
				<verse number="23">Везачу Эло уьш хӀаллакбийр бу аьллачу хенахь, Цо хаьржина волу Муса Цунна хьалха дӀахӀоьттира, Везачу Элан дералла нах хӀаллакбечуьра дӀа а ерзийра.</verse>
				<verse number="24">ТӀаьхьо церан дог делира исбаьхьачу лаьттах, Дала йинчу чӀагӀонах уьш ца тийшира.</verse>
				<verse number="25">Шайн четарш чохь хамталлаш дан буьйлабелира уьш, Везачу Эло бохучуьнга ла а ца дугӀуш.</verse>
				<verse number="26">ТӀаккха Цо айдинчу куьйгаца царна чӀагӀо йира, уьш яьссачу аренгахь балийта а,</verse>
				<verse number="27">церан тӀаьхьенаш кхечу къаьмнашкахула дӀасаяржо а, уьш хийрачу мехкашкахула дӀасакхисса а.</verse>
				<verse number="28">ТӀаккха цара ПаӀорехь волчу БаӀал-цӀунна Ӏибадат дарехь дакъалоцура, шайна чохь дахар доцучу харцделанашна даьхначу сагӀанех хӀума йоура.</verse>
				<verse number="29">Шаьш лелориг бахьана долуш Дела оьгӀазъоьхуьйтура цара, тӀаккха царна тӀе ун доьссира.</verse>
				<verse number="30">Амма Пайнехьас, дӀа а хӀоьттина, юкъарло йира, тӀаккха и ун дӀасадаьржачуьра сецира.</verse>
				<verse number="31">Цо иза бакъахьара гӀуллакх санна лерина, массо а ханна, тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка.</verse>
				<verse number="32">Мерибан хиш долчохь адамаша Веза Эла оьгӀазвахийтира, ткъа уьш бахьана долуш, Мусана бохам баьккхира.</verse>
				<verse number="33">Цара Мусан синна халахетийтира, ткъа цо, ойла а ца еш, бага туьйхира.</verse>
				<verse number="34">Везачу Эло цаьрга халкъаш хӀаллакде аьллера, ткъа цара и тӀедиллинарг кхочуш ца дира.</verse>
				<verse number="35">Мелхо а, уьш кхечу къаьмнех болчу нахах дӀакхийтира, царна юкъахь лелаш долу гӀиллакхаш а шайна Ӏамийра.</verse>
				<verse number="36">Церан цӀушна Ӏибадат а дора цара, тӀаьххьара а царах гур а хилира царна.</verse>
				<verse number="37">Цара шайн кӀентий а, йоӀарий а жинашна сагӀина дӀалора.</verse>
				<verse number="38">Цара бехк боцу цӀий Ӏанадора, шайн кӀентийн а, йоӀарийн а цӀий, уьш канаӀанхойн цӀушна сагӀина дӀа а луш. Церан цӀий бахьана долуш латта бехдира цара.</verse>
				<verse number="39">Цара шаьш бехдира шайн гӀуллакхаш бахьана долуш, Далла тешаме ца хилира шайн сийсаза лелар бахьана долуш.</verse>
				<verse number="40">Цундела оьгӀазвахара Веза Эла Шен къомана, дегаза хийтира Цунна Шен долахь берш.</verse>
				<verse number="41">ТӀаккха Цо уьш хийрачу махкарчу нехан кара дӀабелира, тӀаккха царна тӀехь куьйгалла деш церан мостагӀий дӀахӀиттира.</verse>
				<verse number="42">МостагӀаша гӀело йора царна, церан куьйга кӀелахь уьш къера хилла дӀахӀиттира.</verse>
				<verse number="43">Везачу Эло дукхазза а кӀелхьарбохура уьш, амма царна Цунна дуьхьалбовла лаьара, уьш шайн къинойн уьшал чу кхин а кӀорга чубахара.</verse>
				<verse number="44">Ткъа Цо тидам бира уьш гӀайгӀанехь хиларан, церан орца даккхар Шена дӀахезча.</verse>
				<verse number="45">Церан дуьхьа Ша бина барт Цунна дагахь бара, Шен безам боккха хиларе терра, Цо Ша йина ойла хийцира.</verse>
				<verse number="46">ТӀаккха уьш йийсарехь латтош мел болчаьрга Цо царах къинхетам бойтура.</verse>
				<verse number="47">КӀелхьардахахьа тхо, тхан Веза Дела, схьагулдехьа тхо кхечу къаьмнашна юкъара, тхоьга Хьайн цӀе хастаяйта а, Хьуна хастам барх тхоьга дозалла дайта а.</verse>
				<verse number="48">Хастам бу Исраилан халкъан Везачу Далла азалехь дуьйна абаденналц! Массо а халкъо олийла: «Амин!» Хастам бу Везачу Элана!</verse>
			</chapter>
			<chapter number="106">
				<verse number="1">	 Хастам бе Везачу Элана Иза дика хиларна, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу!</verse>
				<verse number="2">Иштта олийла Везачу Эло паргӀатбаьхначара, мостагӀийн карара Цо схьа мел баьхначара,</verse>
				<verse number="3">хийрачу мехкашкара Цо схьагулбиначара — малхбалехьара а, малхбузехьара а, къилбаседехьара а, къилбехьара а.</verse>
				<verse number="4">Цхьаберш яьссачу аренашкахула бевлла лелаш бара, шена чохь адамаш долчу гӀала боьду некъ а ца карош.</verse>
				<verse number="5">Цара мацалла а, хьогалла а ловра, церан синош царна чуьра дӀадовлуш дара.</verse>
				<verse number="6">Холчохь а болуш, цара Везачу Эле орца даьккхира, тӀаккха Цо уьш церан баланах кӀелхьарбехира.</verse>
				<verse number="7">Цо уьш нийсачу новкъахула дӀабигира, шена чохь адамаш дехаш йолчу гӀала а бохуьйтуш.</verse>
				<verse number="8">Цара хастамаш бойла Везачу Элана, Цуьнан хедар боцу безам а, Цо адамашна до тамашийна гӀуллакхаш а бахьана долуш.</verse>
				<verse number="9">Цо хьогуш верг Ӏаба а во, меца верг диканца вуза а во.</verse>
				<verse number="10">Цхьаберш Ӏаьржачу боданехь бехаш Ӏаш бара, аьчка буржалш а тоьхна, гӀайгӀанехь а болуш,</verse>
				<verse number="11">хӀунда аьлча Цо аьллачунна цара дуьхьало йинера, Веза Воккхачу Дала бинчу хьехамах уьш ца баьшнера.</verse>
				<verse number="12">Церан дегнаш Цо халачу белхашца охьатаӀийра, уьш гал а бевллера, царна орцахвала цхьа а стаг а вацара.</verse>
				<verse number="13">Холчохь а болуш, цара Везачу Эле орца даьккхира, тӀаккха Цо уьш церан баланах кӀелхьарбехира.</verse>
				<verse number="14">Цо уьш Ӏаьржачу боданера арабехира, церан буржалш доха а дина.</verse>
				<verse number="15">Цара хастамаш бойла Везачу Элана, Цуьнан хедар боцу безам а, Цо адамашна до тамашийна гӀуллакхаш а бахьана долуш.</verse>
				<verse number="16">ЦӀестан кевнаш Цо доха а до, аьчка гӀораш хьеша а хьоьшу.</verse>
				<verse number="17">Цхьаберш Ӏовдалш бара, гӀело а хьоьгуш, шайн зуламе некъаш а, шаьш летийна къинош а бахьана долуш.</verse>
				<verse number="18">Церан синош массо а кхачанах дӀадирзинера, уьш Ӏожаллин кевне а кхаьчнера.</verse>
				<verse number="19">Холчохь а болуш, цара Везачу Эле орца даьккхира, тӀаккха Цо уьш шайн баланах кӀелхьарбехира.</verse>
				<verse number="20">Цо Шен дашца дарба а дира царна, хӀаллакьхиларх кӀелхьар а бехира уьш.</verse>
				<verse number="21">Цара хастамаш бойла Везачу Элана, Цуьнан хедар боцу безам а, Цо адамашна до тамашийна гӀуллакхаш а бахьана долуш.</verse>
				<verse number="22">Цара Везачу Элана баркаллин сагӀанаш а дохийла, ирсечу эшаршца Цуьнан гӀуллакхех лаьцна дӀа а дуьйцийла.</verse>
				<verse number="23">Цхьаберш хӀордкеманашна тӀехь новкъа бовлура, уьш даккхий хиш тӀера совдегарш бара.</verse>
				<verse number="24">Царна гира Везачу Эло до гӀуллакхаш: кӀоргачу хӀордашна тӀехь долу Цуьнан тамашийна хӀуманаш.</verse>
				<verse number="25">Иза вистхуьллушехь, дарц тӀехьоду, яккхий тулгӀенаш ловза а юьйлуьйтуш.</verse>
				<verse number="26">Хинкеманаш стигала хьала а дахара, юха а кӀоргачу хи чу охьа а ийгира. Кеман чохь болчеран дегнаш шелделира.</verse>
				<verse number="27">Уьш, бехна нах санна, охьа а бетталуш, когаш а тийсалуш, лелара, церан хилла долу хьекъалалла а дӀадолура.</verse>
				<verse number="28">Холчохь а болуш, цара Везачу Эле орца даьккхира, тӀаккха Цо уьш церан баланах кӀелхьарбехира.</verse>
				<verse number="29">Цо дарц тап-аьлла дӀасацийра, тулгӀенийн гӀовгӀа а дӀаелира.</verse>
				<verse number="30">ХӀорд дӀатийна хиларх уьш сакъералуш бара, ткъа Цо уьш шаьш хьаьгначу метте дӀакхачийра.</verse>
				<verse number="31">Цара хастамаш бойла Везачу Элана, Цуьнан хедар боцу безам а, Цо адамашна до тамашийна гӀуллакхаш а бахьана долуш.</verse>
				<verse number="32">Халкъан гуламна юкъахь цара Иза вазвойла, къанойн кхеташонехь Цунна хастамаш а бойла.</verse>
				<verse number="33">Цо хиш хиллачохь яьсса аре дӀахӀоттайо, хин татолаш хилла меттиг, якъайой, дӀа а йоккху.</verse>
				<verse number="34">Токхечу лаьттах Цо дуьра аре йо, цу тӀехь дехаш долчу адамийн волла.</verse>
				<verse number="35">Яьсса аре Цо, Ӏам бой, дӀахӀоттайо, ткъа йокъа хӀоьттинчу меттехь татолаш дохку.</verse>
				<verse number="36">Цо цига баха меца нах а балабо, ткъа цара цигахь шайна даха ховша гӀала а йо.</verse>
				<verse number="37">Кхаш тӀехь ялта цара дӀа а доь, кемсийн таьллангаш цара дӀа а югӀу, цигара шортта ялта схьа а гулдо.</verse>
				<verse number="38">Дукха бераш хилийта, Цо уьш декъал а бо, церан даьхнеш Цо лагӀ а ца долуьйту.</verse>
				<verse number="39">ГӀело хьегар а, бохам тӀебар а, баланаш лар а бахьана долуш уьш кӀезиг хилла дӀахӀитта мега.</verse>
				<verse number="40">ТӀаккха Везачу Эло церан элашна тӀе эхь тотту, уьш некъ боцучу яьссачу аренашкахула лоьлуьйту.</verse>
				<verse number="41">Амма къен стаг Цо гӀелонах схьа а воккху, цуьнан тӀаьхьенаш, жа санна, деба а йо.</verse>
				<verse number="42">Дика нах, и хӀума а гуш, баккхийбеш бу, ткъа вочеран цу хӀуманна дуьхьал ала хӀума а дац.</verse>
				<verse number="43">Хьекъалалла долуш болчарна и хӀуманаш дӀагойла, Везачу Элан хедар боцучу безамах лаьцна цара ойланаш йойла.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="107">
				<verse number="1">Даудан назма.</verse>
				<verse number="2">Сан дог Хьох тешна ду, Дела, ас Хьуна иллеш эр ду, дерриг а сайн синца Хьуна хастам бийр бу.</verse>
				<verse number="3">Самабала, мерз-пондар! ГӀатта, Ӏад хьокху пондар! Малх самабоккхур бу ас!</verse>
				<verse number="4">Халкъашна юкъахь, Веза Эла, Хьо ас хастор ву, Хьох лаьцна нахана хьалха иллеш эр ду.</verse>
				<verse number="5">Стигала кхаччалц бу Хьан безам, мархаш тӀе кхаччалц ду Хьан тешаме хилар.</verse>
				<verse number="6">Стигалел лакха хьалаволийла Хьо, Дела, дерриг а лаьтта тӀехь Хьан сийлалла лаьттийла!</verse>
				<verse number="7">Хьайн аьтту куьйгаца тхо кӀелхьар а дахахьа, оха дина доӀа дӀа а хазахьа, Хьайна безнарш паргӀатбовлийтархьама.</verse>
				<verse number="8">Дала Шен езачу меттехь аьлла: «Толамах воккха а веш, Аса Шехем-гӀала а йоькъур ю, Сакхат-тогӀи а дӀасайоькъур ю.</verse>
				<verse number="9">ГалӀад-мохк а Сан бу, Маннаш-мохк а Сан бу, Эпрайм-мохк Сан коьртан чӀагӀо ю, ЯхӀуд-мохк — Сан паччахьаллин гӀаж ю.</verse>
				<verse number="10">Муаби-мохк — Сан юьхь-куьгдуьлург ю. Эдом-махкана тӀе Сайн мача кхуссур ю Ас, иза Сайн хилар дӀагайтархьама. ПӀелаштамхошна тӀехь толам баккхарна мохь беттар бу Аса».</verse>
				<verse number="11">ЧӀагӀйинчу гӀали чу хьан воккхур ву со? Эдом-махкана тӀе хьан вуьгур ву со?</verse>
				<verse number="12">Тхо дӀатеснарг Хьо-м вац те, ва Дела? Тхан эскаршца аравер вац те Хьо, ва Дела?</verse>
				<verse number="13">ГӀо дехьа тхуна мостагӀех тхаьш лардайта, хӀунда аьлча пайден дац адамашкара хуьлуш долу гӀо.</verse>
				<verse number="14">Делаца цхьаьна оха толам боккхур бу, тхан мостагӀий Цо дӀахьошур бу.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="108">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан хьаькаме: Даудан назма. Ас хастамаш беш волу Дела, вист ца хуьлуш ма Ӏахьара Хьо,</verse>
				<verse number="2">хӀунда аьлча харцболу, ямарта нах соьга мотт бетташ, бистхуьлу, цара сох лаьцна бакъ доцурш а дуьйцу.</verse>
				<verse number="3">Цабезаман дешнашца цара го бина суна, цхьа а бахьана а доцуш, суна дуьхьалбевлла уьш.</verse>
				<verse number="4">Сан шайга болчу безамна дуьхьал цара со харцахьа бехкево, ткъа аса царна тӀера доӀанаш до.</verse>
				<verse number="5">Берриг а сан безамна дуьхьал цара вон доккху, сан шайца долчу доттагӀаллина дуьхьал цабезам а боккху.</verse>
				<verse number="6">МостагӀчунна дуьхьалвала Ӏесаниг къобалвехьа, цуьнан аьтту агӀор бехкевийриг дӀахӀоттавехьа.</verse>
				<verse number="7">Кхел хадаечу хенахь цунна кхел йойла, цуьнан доӀанаш а къилахь хетийла.</verse>
				<verse number="8">Цуьнан дисина денош кӀезиг хуьлийла, болх бечохь цуьнан меттиг кхечо дӀалоцийла.</verse>
				<verse number="9">Цуьнан бераш байлахь дуьсийла, цуьнан зуда а йисина лоьлийла.</verse>
				<verse number="10">Цуьнан берех кхерсташ лела сагӀадоьхурш хуьлийла, шайн йохийначу хӀусамашна арахь а болуш, уьш кхача лоьхуш лоьлийла.</verse>
				<verse number="11">Цуьнан долахь мел долу хӀума иза декхарийлахь волчо дӀалоцийла, цуьнан бахам хийрачеран кара а гӀойла.</verse>
				<verse number="12">Цхьа а цуьнца дика ма хуьлийла, цуьнан байлахь дисинчу берех цхьаммо а къинхетам ма бойла.</verse>
				<verse number="13">Цуьнан тӀаьхье а хӀаллакьхуьлийла, шолгӀачу тӀаьхьенахь хӀу хедийла цуьнан.</verse>
				<verse number="14">Цуьнан ден къинош Везачу Элана дагахь лоттийла, цуьнан ненан къа цкъа а дӀа ма доккхийла.</verse>
				<verse number="15">Церан къинош массо а хенахь Везачу Элана хьалха лаьттийла, царах-шайх болу дагалецамаш Цо дуьнен чуьра дӀабохийла.</verse>
				<verse number="16">Оцу стеган дагахь кхечуьнца дика хилар цкъа а ца хилла, мелхо а, пекъаршна а, къечарна а, дог доьхначарна а иза тӀаьхьаваьлла, уьш хӀаллакбархьама.</verse>
				<verse number="17">Цунна неӀалташ кхайкхо лаьара, цундела уьш цунна юхадоьрзийла, цунна нах декъалбар ца дезара, цундела иза а декъал ма войла.</verse>
				<verse number="18">Цо и неӀалташ, бедар санна, кест-кестта тӀедухура, хӀинца, хи санна, цуьнан кийра уьш кхочийла, даьтта санна, цуьнан даьӀахкашка кхочийла.</verse>
				<verse number="19">Цу неӀалташа, обано санна, верриг а дӀахьулвойла, уьш даим цо шена дӀадоьхку доьхка санна а хуьлийла.</verse>
				<verse number="20">И дерриг а Везачу Элан бекхам хилла дӀахӀуттийла со бехкевечарна а, сох лаьцна вониг дуьйцучарна а!</verse>
				<verse number="21">Амма Хьо, сан Хьалдолу Эла, Хьайн цӀеран дуьхьа соьца лелахьа, Хьайн хедар боцу безам дика хиларна, со кӀелхьарваккхахьа.</verse>
				<verse number="22">Со гӀело хьоьгург а, пекъар а ма ву, сан кийрара дог а доьхна ду.</verse>
				<verse number="23">Къайладолуш долу ӀиндагӀ санна, худавелла дӀаволуш ву со. ЦӀоз санна, дӀачехош ву со.</verse>
				<verse number="24">Марха кхабарна сан голашкахь са а дац, сан дегӀ гӀел а делла, со аз а велла.</verse>
				<verse number="25">Сох нах кхаьрдарг хилла, сох шайн бӀаьрг кхетташехь, цара кортош а лестадо.</verse>
				<verse number="26">ГӀо дехьа суна, сан Веза Дела, Хьайн хедар боцучу безаме хьаьжжина, кӀелхьарваккхахьа со.</verse>
				<verse number="27">Сан мостагӀашна иза Хьан куьйго динийла дӀахоийла, со кӀелхьарваьккхинарг Веза Эла волу Хьо хиллийла.</verse>
				<verse number="28">Цара неӀалташ кхайкхадахь а, Ахьа со декъалвийр ву, уьш дуьхьалбовлахь а, шаьш юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу, ткъа Хьан лай волу со воккхавеш хир ву.</verse>
				<verse number="29">Со бехке бийраш юьхьӀаьржонца кхолийла, бедарш санна, цара эхь тӀедухийла.</verse>
				<verse number="30">Ас мохь туххуш Везачу Элана хастамаш а бийр бу, дуккха а болчарна юкъахь Цунах лаьцна дуьйцур а ду.</verse>
				<verse number="31">ХӀунда аьлча Иза гӀийлачарна аьтту агӀор тӀехӀутту, царна кхел йиначеран карара уьш кӀелхьарбахархьама.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="109">
				<verse number="1">Даудан назма. Везачу Эло элира хьалдолчу эле: «Суна аьтту агӀор охьахаа, Аса Хьан мостагӀий хьан когашка охьабахккалц».</verse>
				<verse number="2">Паччахьан ницкъ болу гӀаж дӀакховдор ю хьуна Везачу Эло Цийон-ломара. Олалла де ахьа хьайн мостагӀашна юкъахь.</verse>
				<verse number="3">Хьан ницкъ гучубаьллачу дийнахь хьан халкъ ларамца хьуна тӀаьхьахӀуттур ду. Хьуна тешаме болу къонахий базаллехь гучубоху. Сатосуш дуьллу тхи санна, богӀу уьш хьуна тӀе.</verse>
				<verse number="4">Везачу Эло чӀагӀо йина, ткъа цунна тӀера юха ца волу Иза: «Гуттаренна а динан да ву Хьо Малки-ЦӀадакъин даржехь».</verse>
				<verse number="5">Хьуна аьтту агӀор ву Веза Эла. Ша оьгӀазваханчу дийнахь паччахьаш хӀаллакбийр бу Цо.</verse>
				<verse number="6">Цу дийнахь халкъашна тӀехь кхел а йийр ю Цо. Ткъа латта декъех дузур ду Цо. Лаьттара массо баьччанаш а хӀаллакбийр бу Цо.</verse>
				<verse number="7">Некъана йистехула догӀучу татол чуьра паччахьо хи мер ду. ТӀаккха цо, ницкъ тӀе а беана, корта хьалаойур бу.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="110">
				<verse number="1">Везачу Элана бу хастам! А са вазвийр ву Веза Эла сайн доллучу даггара, баккъал догцӀена болчеран гуламна юкъахь.</verse>
				<verse number="2">В езачу Эло мел дийриг ма сийлахь ду! ГӀуллакхаш Цуьнан царах воккхавеш мел волчо толлуш ду.</verse>
				<verse number="3">Д еза а, исбаьхьа а Цуьнан гӀуллакхаш ду, ерриг а Цуьнан нийсо гуттаренна а лаьтташ ю.</verse>
				<verse number="4">З аманашкара Шен Ӏаламаташ дагалацийтира Цо. И Веза Эла дика а, къинхетаме а ма ву.</verse>
				<verse number="5">К хобуш ву Иза Цунна хьалха ларамах буьзнарш. Лоруш ву Иза нахаца Ша бина барт абаденналц.</verse>
				<verse number="6">М асех кхидолчу къаьмнийн латтанаш царна дӀа а делла, ницкъ Шен мел бу дӀагайтина Цо Шен къомана.</verse>
				<verse number="7">О нда а, нийса а ду Цуьнан куьйгаша мел дийриг. Пайда эцарца теша мегар ду массо а Цуьнан тӀедехкинчарах.</verse>
				<verse number="8">Р ажехь чӀагӀдина ду и тӀедехкинарш массо а ханна, и сацамаш тешамца а, догцӀеналлица а тӀебехкина дела.</verse>
				<verse number="9">Т утмакхаш болчуьра паргӀатдаккхина Цо Шен халкъ, хӀоттийна Цо абаденналц Ша бина барт. Цуьнан цӀе еза а, ларамах бузуьйтуш а ю!</verse>
				<verse number="10">Ш аьш хьекъалалле кхачийтархьама, нах уггар хьалха Везачу Эле ларамах буьзна хила беза. Эрна доцу дуьхьекхиар Цо тӀедехкинарш лардеш болчу массеран а хир ду. Ӏаббалц Цунна беш болу хастамаш абаденналц лаьттар бу.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="111">
				<verse number="1">Везачу Элана бу хастам! А лсам декъала ву Везачу Элана хьалха ларамах вуьзна верг, баккъалла а Цуьнан парзаш кхочушдарх дезар оьцуш верг.</verse>
				<verse number="2">В уно ницкъ болуш хир ду цуьнан бераш шайн махкахь. Гуттар декъалйина хир ю дог цӀена йолу цуьнан тӀаьхье.</verse>
				<verse number="3">Д у цуьнан хӀусамехь хьал, иштта шорто а хир ю, ерриг а ханна цуьнан нийсо дагалоцуш а хир ю.</verse>
				<verse number="4">З Ӏенарша боданехь а серло ло догцӀена болчарна а, иштта дика а, къинхетаме а, нийса а болчарна а.</verse>
				<verse number="5">К омаьршаллица ахча юхалург луш волчунна дика хир ду, ларамца хьанал гӀуллакхаш лелош верг ирсе хир ву.</verse>
				<verse number="6">М еттахваккхалур вац иштта волу стаг цкъа а. Нийса лелаш верг даим а дагахь лаьттар ву.</verse>
				<verse number="7">О рца доккхуш болчу вочу кхаьънех иза кхоьрур вац. Пайда эцарца Везачу Элах а тешаш, цуьнан дог чӀагӀлур ду.</verse>
				<verse number="8">Р еза хиларца а, кхерам боцуш а, цуьнан дог чӀогӀа лаьттар ду, са шен кӀелхьар а даьккхина, эшийначу мостагӀашка хьоьжур ву.</verse>
				<verse number="9">Т оам боллуш дӀало цо мискачу нахана, ур-атталла абаденналц а лаьтта цуьнан нийсо. ХӀуттур бу цуьнан ницкъ сийлаллица.</verse>
				<verse number="10">Ц у суьрте хьоьжуш волу Ӏесаниг оьгӀазгӀур ву, шен цергаш а хьекхош, иза къайлавер ма ву. Ӏесачеран лаамаш хӀаллакьхир бу.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="112">
				<verse number="1">Везачу Элана бу хастам! Везачу Элан ва ялхой, Цунна хастам бе! Везачу Элан цӀе аша хаста а е!</verse>
				<verse number="2">Хастам хуьлийла Везачу Элан цӀарна таханлерчу дийнахь дуьйна массо а ханна.</verse>
				<verse number="3">Малхбалера дуьйна малхбузе кхаччалц Везачу Элан цӀе хастаме хуьлийла.</verse>
				<verse number="4">Веза Эла массо а къаьмнел лекха лаьтташ ву, Цуьнан сийлалла стигалел лекха хьалаяьлла ю.</verse>
				<verse number="5">Мила ву вайн Везачу Делах тера верг, лакхаллашкахь Ӏаршана тӀехь Ӏаш волчу а,</verse>
				<verse number="6">стигалшка а, лаьтте а хьажархьама, лохха охьатаьӀаш волчу а?</verse>
				<verse number="7">Къен верг Цо хьала а воккху хотта юкъара, мисканиг Цо хьала а ойу ченна юкъара.</verse>
				<verse number="8">Цо уьш элашна юкъа охьаховшабо, шайн халкъах болчу элашна ховшабо.</verse>
				<verse number="9">Бер ца хуьлуш йолчу зудчуьнан тидам бо Цо цуьнан хӀусамехь, шен берех йоккхаеш йолу зуда Цо цунах йо. Везачу Элана бу хастам!</verse>
			</chapter>
			<chapter number="113">
				<verse number="1">Исраилхой Мисар-махкара арабевлча, Якъубан тӀаьхье хийрачу къомана юкъара схьаяьлча,</verse>
				<verse number="2">ЯхӀудан халкъ Везачу Элан деза къам хилла дӀахӀоьттира, Исраилан халкъ Везачу Элан долахь дерг хилла дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="3">Иза гина болу Эрзийн хӀорд юхабедира, Йордан-хи а юханехьа доладелира.</verse>
				<verse number="4">УьстагӀий санна, кхиссалуш дара лаьмнаш, гунаш а дара, Ӏахарий санна, ирхлелхаш.</verse>
				<verse number="5">ХӀун хилла хьуна, хӀорд, хьо дӀа хӀунда бедда? Хьуна а хӀун хилла, Йордан, хьо юханехьа стенна доладелла?</verse>
				<verse number="6">Шу хӀунда кхиссаделла, лаьмнаш, уьстагӀий санна, ткъа шу а, гунаш, стенна кхиссаделла, Ӏахарий санна?</verse>
				<verse number="7">Дегаде, латта, Везачу Элана хьалха, Якъубан Далла хьалха дегаде.</verse>
				<verse number="8">Цо тархах, Ӏам бой, дӀахӀоттабо, иштта тӀулгаш юкъара хи а охьадоладолуьйту.</verse>
				<verse number="9">Тхуна а ца луш, Веза Эла, тхуна а ца луш, амма Хьайн цӀарна бен сийлалла ма лойла, Хьайн хедар боцу безам хилар а, Хьо тхуна тешаме хилар а бахьанехь.</verse>
				<verse number="10">Кхечу къаьмнех болчара стенна боху: «Мичахь ву церан Дела?»</verse>
				<verse number="11">Тхан Дела стигалахь ву, Цо Шена луъург а до.</verse>
				<verse number="12">Ткъа церан деланаш детих а, деших а бина бу, уьш адамийн куьйгашца бина болу цӀуш бу.</verse>
				<verse number="13">Церан батош ю, амма цара къамел ца до, церан бӀаьргаш бу, амма царна хӀумма а ца го.</verse>
				<verse number="14">Церан лергаш а ду, амма царна ца хеза. Церан марош а ду, амма царна хьожа ца йогӀу.</verse>
				<verse number="15">Куьйгаш а ду церан, амма уьш хьакха ца ло. Когаш а бу церан, амма уьш лелаш бац. Церан легашкара аз а ца долу.</verse>
				<verse number="16">Царах терра хир бу уьш беш берш а, царах тешна Ӏаш верг муьлхха а.</verse>
				<verse number="17">Ва Исраилан халкъ, Везачу Элах тешна Ӏаш хила! Иза шун гӀо а, шун турс а ма ду.</verse>
				<verse number="18">Ва АхӀаронан тӀаьхье, Везачу Элах тешна Ӏаш хила! Иза шун гӀо а, шун турс а ма ду.</verse>
				<verse number="19">Цунна хьалха ларамах дуьзна дерш, Везачу Элах тешна Ӏаш хила! Иза шун гӀо а, шун турс а ма ду.</verse>
				<verse number="20">Везачу Элана вай дагахь лаьтташ ду, Цо вай декъалдийр ма ду: Исраилан халкъ Цо декъалдийр ду, АхӀаронан тӀаьхье Цо декъалйийр ю.</verse>
				<verse number="21">Цунна хьалха ларамах буьзнарш Цо декъалбийр бу. Лараме боцурш а, цӀеяханарш а цхьатерра декъалбийр бу.</verse>
				<verse number="22">Везачу Эло шу дебадойла, шу а, шун тӀаьхье Цо дебайойла!</verse>
				<verse number="23">Декъалдойла шу Везачу Эло, стигал а, латта а кхоьллинчо.</verse>
				<verse number="24">Стигал Везачу Элан долахь ю, ткъа латта Цо адамашна дӀаделла.</verse>
				<verse number="25">Беллачара Везачу Элана хастамаш бийр бац, Ӏожаллин тийналле боьссинчех цхьаммо а Цунна хастам бийр бац.</verse>
				<verse number="26">Везачу Элана хастамаш вай-м бийр бу, хӀинца дуьйна абаденналц. Везачу Элана бу хастам!</verse>
			</chapter>
			<chapter number="114">
				<verse number="1">	 Суна везаш ву Веза Эла, Цунна сан аз дӀахазарна а, сан орца даккхар дӀахазарна а.</verse>
				<verse number="2">Шен лергаш Цо соьгахьа схьадерзийна дела, со дийна мел волчу хенахь, Цуьнга кхойкхуш хир ву.</verse>
				<verse number="3">Ӏожаллин машшех со тасавелла, эхартан къемат суна уллодаьлла, сингаттамо а, сахьийзаро а со охьатаӀийна.</verse>
				<verse number="4">ТӀаккха со Везачу Элан цӀе йоккхуш кхайкхира: «Веза Эла! КӀелхьардаккхахьа сан са!» — аьлла.</verse>
				<verse number="5">Веза Эла дика а, нийса а ву, вайн Дела къинхетаме ву.</verse>
				<verse number="6">ГӀо оьшуш берш Везачу Эло ларбо. Со холчу хӀоьттича, Цо со кӀелхьарваьккхира.</verse>
				<verse number="7">Ва сан са, паргӀат хилахьа, Везачу Эло хьуна дика дина дела.</verse>
				<verse number="8">Веза Эла, Ахьа сан са Ӏожаллех кӀелхьардаьккхина, сан бӀаьргаш — бӀаьрхих, сан когаш — ког тасабаларх.</verse>
				<verse number="9">Дийна болчеран хӀокху дуьнен чохь Везачу Элана хьалха лелар ву со.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="115">
				<verse number="1">	 Со тешара, Аса аьллехь а: «Со чӀогӀа дог доьхна ву».</verse>
				<verse number="2">ТӀех сиха ас элира: «Муьлхха а стаг харцлуьйш ву».</verse>
				<verse number="3">ХӀун юхалур ю ас Везачу Элана Цо суна мел динчу диканна дуьхьал?</verse>
				<verse number="4">Со кӀелхьарваьлла хилар дага а лоцуш, Ас чагӀаран кад хьалаойур бу, доӀанца со Везачу Эле кхойкхур а ву.</verse>
				<verse number="5">Ас кхочушдийр ду сайн нигаташ Везачу Элана дерриг а Цуьнан халкъана хьалха.</verse>
				<verse number="6">Мехала ду Везачу Элан бӀаьргашна хьалха Цуьнан долахь болчех цхьаъ валар!</verse>
				<verse number="7">Ва Веза Эла! Со Хьан лай ву, со Хьан гӀарбаш йолчун кӀант ву. Ахьа паргӀатваьккхина со сайн буржалех.</verse>
				<verse number="8">Ас баркаллин сагӀа Хьуна доккхур ду, иштта доӀанца Везачу Эле кхойкхур ву.</verse>
				<verse number="9">Ас кхочушдийр ду сайн нигаташ Везачу Элана а, дерриг а Цуьнан халкъана а хьалха,</verse>
				<verse number="10">Везачу Элан цӀийнан керташкахь, хьуна юккъехь, ва Ярушалайм-гӀала! Везачу Элана бу хастам!</verse>
			</chapter>
			<chapter number="116">
				<verse number="1">	 Хаставе Веза Эла массо а халкъаша, хастам бе Цунна массо а къаьмнаша!</verse>
				<verse number="2">Вайга болу Цуьнан безам боккха ма бу, ткъа Веза Эла вайна даим а тешаме ву. Везачу Элана бу хастам!</verse>
			</chapter>
			<chapter number="117">
				<verse number="1">	 Хастамаш бе Везачу Элана, Иза дика хиларна а, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц хиларна а.</verse>
				<verse number="2">Исраилан халкъо хӀинца олийла: «Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу».</verse>
				<verse number="3">АхӀаронан тӀаьхьено хӀинца олийла: «Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу».</verse>
				<verse number="4">Цунна хьалха ларамах буьзначара хӀинца олийла: «Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу».</verse>
				<verse number="5">Саготта волу со Везачу Эле кхайкхира, Цо, дӀа а хезна, синпаргӀатоне со ваьккхира.</verse>
				<verse number="6">Веза Эла соьца ма ву, со цхьана а хӀуманах кхоьрур вац. ХӀун дийр дара суна стага?</verse>
				<verse number="7">Веза Эла соьца ву, Иза сан гӀоьнча ву: со сан мостагӀашка толамца хьожур ву.</verse>
				<verse number="8">Везачу Эле ша ларвайтар гӀоле ду, адамех тешна хуьлучул.</verse>
				<verse number="9">Везачу Эле ша ларвайтар гӀоле ду, элех тешна хуьлучул.</verse>
				<verse number="10">Дуккха а къаьмнаш суна гонах девллера, амма Везачу Элан цӀарца ас уьш эшийра.</verse>
				<verse number="11">Цара суна массо а маьӀӀера го бинера, амма Везачу Элан цӀарца ас уьш эшийра.</verse>
				<verse number="12">Накхармозийн жӀугано санна, суна го бинера цара, амма чах яьлла цӀе санна, уьш сихха дӀабайира. Везачу Элан цӀарца ас уьш эшийра.</verse>
				<verse number="13">Со чӀоггӀа дӀатеттира, охьавожийта, амма Везачу Эло суна гӀо дира.</verse>
				<verse number="14">Веза Эла сан ницкъ бу, Цуьнан дуьхьа ас йиш локху, Цо со кӀелхьарваьккхина дела.</verse>
				<verse number="15">Делан нехан хӀусамашкахь хезаш ду самукъане а, толаман а маьхьарий: «Везачу Элан аьтту куьйго толам боккху!</verse>
				<verse number="16">Везачу Элан куьг лекха хьалаайина ду, Везачу Элан аьтту куьйго толам боккху!»</verse>
				<verse number="17">Со лийр вац, амма вехар ву, Везачу Элан гӀуллакхех лаьцна дуьйцур ду.</verse>
				<verse number="18">Луьра таӀзар дина суна Везачу Эло, амма Ӏожалле Цо со дӀа ца кховдийна.</verse>
				<verse number="19">Схьаделлийша суна Делан лаамехь берш чубовлу кевнаш! Делан цӀийнан керта а ваьлла, ас Везачу Элана хастамаш бийр бу!</verse>
				<verse number="20">ХӀара ков Везачу Элан ков ду. Цу чу Делан лаамехь берш гӀур бу.</verse>
				<verse number="21">Хастам бо ас Хьуна, Веза Эла, со дӀа а хезна, Ахь со кӀелхьарваккхарна.</verse>
				<verse number="22">ГӀишло ечу пхьераша дӀакхоьссина тӀулг цӀийнан сонан йистехь, коьрта тӀулг хилла, дӀахӀоьттина.</verse>
				<verse number="23">Иза Везачу Эло дина ду, вайна гергахь и чӀогӀа инзаре а ду.</verse>
				<verse number="24">ХӀара де — Везачу Эло кхочушбина болх бу. Цунах даккхий а деш, самукъане хила вай!</verse>
				<verse number="25">Ва Веза Эла, кӀелхьардахахьа тхо! Аьтто а бехьа тхан, Веза Эла!</verse>
				<verse number="26">Декъал хуьлда Везачу Элан цӀарах вогӀуш верг! Везачу Элан цӀа чуьра оха шу декъалдо.</verse>
				<verse number="27">Веза Эла ву Дела, Цо Шен серло тхуна тӀе хьажийна. Гаьннаш куьйга а лаьцна, даздан дуьйлалойша, сагӀа доккхучу кхерчана гонах халхарш дейша.</verse>
				<verse number="28">Хьо сан Дела ву, ткъа ас хастамаш бийр бу Хьуна. Хьо сан Дела ву, ткъа ас вазвийр ву Хьо.</verse>
				<verse number="29">Хастамаш бе Везачу Элана, Иза дика хиларна а, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц хиларна а.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="118">
				<verse number="1">	 А дамаш декъала хуьлу цӀеначу некъаца лелча, Везачу Элан товрат-хьехам тӀехь а лаьтташ.</verse>
				<verse number="2">А дамаш декъала хуьлу Цуьнан сацамаш ларбеш хилча, дерриг а шайн дагца Иза лохуш хилча.</verse>
				<verse number="3">А ла хӀума долу гӀуллакхаш цара ца до, амма Цуьнан некъашца лела уьш.</verse>
				<verse number="4">А хьа омранаш тхуна тӀедехкина, тхоьга уьш кхоччуш лардайтархьама.</verse>
				<verse number="5">А хь тӀедехкина парзаш лардарна сан некъаш тӀехьажийна делахьара!</verse>
				<verse number="6">А хьа мел тӀедиллиначуьнга со хьежахь, юьхьӀаьржачу хӀуттур вац со.</verse>
				<verse number="7">А са догцӀеналлица хастамаш бийр бу Хьуна, Хьан нийса тӀедехкинарш а Ӏамош.</verse>
				<verse number="8">А са Хьан парзаш лардийр ду. Кхоччуш дӀа ма тасахьа со!</verse>
				<verse number="9">Б еш болу шен дахаран некъ жимачу стага цӀена муха лелабо? Хьан дош кхочушдарца цӀена лелабо.</verse>
				<verse number="10">Б оллучу ницкъаца, сайн доллучу даггара Хьо лоьху ас, Хьан весеташ тӀера дӀа ма валийтахьа со.</verse>
				<verse number="11">Б акъдолу Хьан дош сайн даг чохь латтадо аса, Хьуна дуьхьал сайна къа ца латорхьама.</verse>
				<verse number="12">Б акъволу Эла, декъала ву Хьо! Хьайн парзаш суна хьехахьа.</verse>
				<verse number="13">Б агахула Ахь мел тӀедиллина хӀума сайн балдашца Аса кхайкха а до.</verse>
				<verse number="14">Б оккхачу бахамах санна, со воккхавеш ву Хьан бакъонийн некъаца леларх.</verse>
				<verse number="15">Б акъдолу Хьан омранийн ойла еш ву со, Хьан некъашка а хьоьжуш ву со.</verse>
				<verse number="16">Б акъдолу Хьан дош суна диц ца ло, мелхо а, Хьан парзех со воккха а воь.</verse>
				<verse number="17">В ехьа декъала Хьайн лай волу со, Хьан дош а лардеш со вахийтархьама.</verse>
				<verse number="18">В ехьа со бӀаьрса долуш, Хьан товрата тӀера тамашийна хӀуманаш суна гайтархьама.</verse>
				<verse number="19">В у со хьаша кху лаьттахь, ма дахахьа сох къайла Хьайн весеташ.</verse>
				<verse number="20">В у сайн са тӀехдуьзна ерриг а хенахь Хьан тӀедехкинаршна леринчу лаамех.</verse>
				<verse number="21">В у Хьо кура дегнаш долчарна тӀехдетташ. Хьан весетех дӀабевллачарна тӀехь неӀалт ду.</verse>
				<verse number="22">В аккхахьа со сайна тӀерачу эхьах а, дегабаамах а, ас Хьан бакъонаш кхочушйо дела.</verse>
				<verse number="23">В овшах а кхетта, суна дуьхьал элий барт беш белахь а, Хьан лай волчу аса Хьан парзех лаьцна ойланаш йийр ю.</verse>
				<verse number="24">В у со сакъералуш Хьан бакъонех, уьш суна хьехамчаш санна ма ю.</verse>
				<verse number="25">Г Ӏел а велла, со ченахь Ӏуьллуш ву. Денвехьа со Хьайн дашца.</verse>
				<verse number="26">Г учудехира ас сайн некъаш, Хьуна ас бохург дӀа а хезира. Ӏамадехьа суна Хьайн парзаш.</verse>
				<verse number="27">Г айтахьа суна Айхьа динчу омранийн маьӀна, тӀаккха ойла йийр яра аса Хьан тамашийначу хьехамех лаьцна.</verse>
				<verse number="28">Г ӀайгӀано дашош лаьтта сан са, Хьайн дашца чӀагӀвехьа со.</verse>
				<verse number="29">Г енабаккхахьа суна харцонан некъ, Хьайн диканца бовзийтахьа суна Хьайн товрат-хьехам.</verse>
				<verse number="30">Г онах сайна дӀахӀиттийна ас Хьан тӀедехкинарш, Хьуна тешаме хиларан некъ а хаьржина ас.</verse>
				<verse number="31">Г Ӏадвахна со Хьан бакъонашна, Веза Эла. Ма хӀоттавайтахьа со юьхьӀаьржачу.</verse>
				<verse number="32">Г Ӏадвахна воду со Хьан весетийн новкъахула, Ахьа сан даг чу сов кхетам биллина дела.</verse>
				<verse number="33">Д овзийтахьа суна, Веза Эла, Хьайн парзийн некъаш, со массо а хенахь уьш лардеш лелар вара.</verse>
				<verse number="34">Д овзийтахьа суна Хьайн товрат-хьехам, со цунна муьтӀахь хир вара. Сайн доллучу даггара и хьехам ас ларбийр бара.</verse>
				<verse number="35">Д аккхахьа сан са Хьайн весетийн новкъа, хӀунда аьлча царах ас марзо оьцу.</verse>
				<verse number="36">Д ерзадехьа сан дог Хьайн бакъонашна тӀе, сайна пайда болучунна тӀе дерзоран метта.</verse>
				<verse number="37">Д Ӏадерзадехьа сан бӀаьргаш эрна хӀуманашка хьоьжучуьра. Денвехьа со Хьайн некъа тӀехь.</verse>
				<verse number="38">Д ӀахӀоттадехьа Хьайн лай волчу суна Айхьа дина ваӀда, Хьуна хьалха ларамах буьзначарна лерина ваӀда.</verse>
				<verse number="39">Д Ӏадаккхахьа суна кхераме хеташ долу со емалвар. Делахь а Хьан тӀедехкинарш суна диканна ду.</verse>
				<verse number="40">Д езаш ма ду суна Хьан омранаш. Хьайн нийсонца денвехьа со.</verse>
				<verse number="41">Е рзайойла Ахьа суна тӀе Хьайн безаман марзо. Веза Эла, кӀелхьарваккхахьа со — Ахьа чӀагӀо ма йина.</verse>
				<verse number="42">Е малвар сайна деш волчунна ас тӀаккха жоп лур ду, хӀунда аьлча со Хьан дашах тешна Ӏаш ву.</verse>
				<verse number="43">Е рриг а йиш Хьох лаьцна бакъдерг дийца дӀа ма яккхахьа, хӀунда аьлча Ахьа ечу кхелашка со хьоьжуш ву.</verse>
				<verse number="44">Е рриге а хенахь, абаденналц ларбийр бу ас Хьан товрат-хьехам.</verse>
				<verse number="45">Е ллачу паргӀатонца лелар ву со, хӀунда аьлча ас Хьан омранаш лийхира.</verse>
				<verse number="46">Е ллачу Хьан бакъонех лаьцна дуьйцур ду ас паччахьашна хьалха, ийза а ца луш.</verse>
				<verse number="47">Е рриг а сан ойланашца суна уьш дезарна, Хьан весетех сакъералуш ма ву со.</verse>
				<verse number="48">Е рриге а сайн ойла Ахь деллачу парзашна тӀеерзор ю аса, сайна дезаделлачу Хьан весеташна куьйгаш тӀекхийдор ду аса.</verse>
				<verse number="49">З ерца Айхьа делла дош дагадаийтахьа, хӀунда аьлча цуьнга со сатуьйсуш ву.</verse>
				<verse number="50">З аза доккхуш санна, Хьан чӀагӀоно со денвар — иза сан догъэцар ду, со баланехь велахь а.</verse>
				<verse number="51">З ама мел йолу а, кура дегнаш дерш суна луьйш бу, амма со Хьан товрат-хьехаман некъа тӀера ца волу.</verse>
				<verse number="52">З аманашкара дуьйна долу Хьан тӀедехкинарш, Веза Эла, дага а доуьйтуш, царах аса сайн дагна синтем бо.</verse>
				<verse number="53">З уз дарца дегӀе эргӀадволу со, хӀунда аьлча Ӏесанаш Хьан товрат-хьехамна тӀера бовлу.</verse>
				<verse number="54">З овкх хьоьгуш ву со кху дуьнен тӀехь йолчу хенахь, Хьан парзех лаьцна эшарш а лоькхуш.</verse>
				<verse number="55">З ама буьйсане йирзича, Хьан цӀе дагайогӀура суна, Веза Эла, ткъа Хьан товрат-хьехам аса ларбийр ма бу.</verse>
				<verse number="56">З ама дӀа мел яларх, со иштта веха: Хьан омранашна со муьтӀахь ма ву.</verse>
				<verse number="57">И сан дакъа Хьо ма ду, Веза Эла. Аса чӀагӀо йина Хьан дешнаш лардан.</verse>
				<verse number="58">И штта, сайн даггара доӀанаш дира аса: Хьайн ваӀданца къинхетам бехьа сох.</verse>
				<verse number="59">И сайн лелар Хьан бакъонашна тӀе дерзадо ас, сайн дахаран некъех лаьцна ойланаш а йина.</verse>
				<verse number="60">И Хьан весеташ лардархьама, тӀаьхьа ца тоттуш аса сихо йо.</verse>
				<verse number="61">И штта ца бицбо ас Хьан товрат-хьехам, Ӏесачеран машшаш суна гонах делахь а.</verse>
				<verse number="62">И нзаре нийса долу Хьан тӀедехкинарш бахьана долуш Хьуна хастамаш бан хьалагӀотту со буьйсанна юккъехь.</verse>
				<verse number="63">И штта, Хьуна хьалха ларамах мел буьзначеран а, Хьан омранаш лардеш болчеран а доттагӀа ву со.</verse>
				<verse number="64">И дуьне Хьан безамах дуьзна ду, Веза Эла. Ӏамадехьа суна Хьайн парзаш.</verse>
				<verse number="65">Кх оьллина Ахь дика, Веза Эла, Хьан лай волчунна Хьайн дашца.</verse>
				<verse number="66">Кх ин а чӀогӀа Ӏамавехьа со дика къасто а, хьекъале хила а, хӀунда аьлча со Хьан весетех теша.</verse>
				<verse number="67">Къ иза бала айса хьегале, дикка хьалха, со тилавелла вара, ткъа хӀинца Хьан дош лардо аса.</verse>
				<verse number="68">К омаьрша а, диканиг дийриг а ву Хьо! Ӏамабехьа суна Хьайн хьехамаш.</verse>
				<verse number="69">К ура дегнаш долчара суна дуьхьал харцдерг кхуллу, амма Аса сайн доллучу дагца Хьан омранаш лардийр ду.</verse>
				<verse number="70">К урачийн дегнаш дерстина, мохь санна, ткъа аса Хьан товрат-хьехамах зовкх хьоьгу.</verse>
				<verse number="71">Къ аьхьа бала хьегар дика дара суна, цу бахьанина суна Хьан парзаш Ӏемина дела.</verse>
				<verse number="72">Кх оччуш дика бу суна Хьан товрат-хьехам, деших а, детих а дина эзарнаш ахчанал.</verse>
				<verse number="73">Л еррина кхолла а кхоьллина, дӀахӀоттийна со Хьан куьйгаша. Кхетавехьа со — тӀаккха Ӏемар ву со Хьан весеташ лардан.</verse>
				<verse number="74">Л арамах Хьуна хьалха буьзнарш со гарх баккхийбийр бу, хӀунда аьлча со Хьан дашах тешна Ӏаш ву.</verse>
				<verse number="75">Л еррина Ахь йина йолу кхелаш бакъ юйла хаьа суна, Веза Эла, Хьо суна тешаме хиларна, таӀзар а дина Ахьа суна.</verse>
				<verse number="76">Л аьа суна Хьан безамах сайна синтем хуьлийла, Хьан лай волчу суна Ахь чӀагӀо ма йина.</verse>
				<verse number="77">Л аьа суна Хьан къинхетамалла суна тӀехь хуьлийла, тӀаккха дика вехар ву со, Хьан товрат-хьехамах ас зовкх хьоьгу дела.</verse>
				<verse number="78">Л аьа суна кура дегнаш дерш юьхьӀаьржачу хӀуьттийла, хӀунда аьлча бехк боцуш суна гӀело йо цара. Со-м Хьан омранийн ойла еш ву.</verse>
				<verse number="79">Л аьа суна, Хьуна хьалха ларамах буьзнарш сайгахьа берзар — Хьан бакъонех кхеташ берш.</verse>
				<verse number="80">Л аьа суна сан дог цӀена хуьлийла Хьан парзашна гергахь, Хьуна гергахь юьхьӀаьржачу ца хӀоттархьама.</verse>
				<verse number="81">М а дешна дӀадаьлла сан са, Ахь со кӀелхьарваккхаре сатийсарна. Хьан даше сатуьйсу ас.</verse>
				<verse number="82">М а дешна дӀадевлла сан бӀаьргаш, Хьан чӀагӀоне сатийсарна. Ас боху: «Маца бийр бу Ахьа сан синна хьаам?»</verse>
				<verse number="83">М а хилла со тишбелла пӀаьлдиг санна, амма Хьан парзаш суна диц ца делла.</verse>
				<verse number="84">М ел ду те Хьан лай волу со Ӏан дезаш долу денош? Маца йийр ю те Ахьа кхел суна гӀело ечарна?</verse>
				<verse number="85">М а дукха оьрнаш даьхна суна кура болчу а, Хьан товрат-хьехаме ла ца дугӀучу а наха.</verse>
				<verse number="86">М а тешаме ду Хьан дерриге а парзаш. Харцонца ма тӀаьхьабевлла суна, гӀо дехьа суна!</verse>
				<verse number="87">М аьӀӀаргона со лаьттара дӀавойура цара, амма ас Хьан омранаш ца дитира.</verse>
				<verse number="88">М еттавалавай, денвехьа со Хьайн безамца, Ахьа елла бакъонаш соьга ларъяйтархьама.</verse>
				<verse number="89">Н ийсса ду гуттаренна а Хьан дош, Веза Эла, стигалшкахь иза чӀагӀдина лаьтташ ду.</verse>
				<verse number="90">Н ехан массо а тӀаьхьенашкахула Хьо тешаме ву. Ахьа дӀахӀоттийна латта, цундела иза лаьтташ ду.</verse>
				<verse number="91">Н исдина лаьтташ ду дерриге а и хӀуманаш тахханалц а Хьан тӀедехкинаршца, хӀунда аьлча дерриг а хӀума Хьуна гӀуллакх деш ду.</verse>
				<verse number="92">Н ицкъболчу Хьан товрат-хьехамах аса зовкх ца хьегнехьара, баланаш хьегарна, со хӀаллакьхилла хир вара.</verse>
				<verse number="93">Н ийсса цкъа а дицдийр дац ас Хьан омранаш, хӀунда аьлча цаьргахула Ахь со ден ма вина.</verse>
				<verse number="94">Н ицкъ ма-кхоччу ас Хьан омранаш лехна дела, со кӀелхьарваккхахьа, со Хьан ву.</verse>
				<verse number="95">Н овкъахь Ӏесачара суна кӀело йо, со вен дагахь, ткъа аса Хьан бакъонех лаьцна ойланаш йийр ю.</verse>
				<verse number="96">Н ийсса доза гинера суна мел айпе доцучун, амма Хьан весеташ доза доцуш даккхий ду.</verse>
				<verse number="97">О ццул дика болу Хьан товрат-хьехам ма беза суна! Дийнан дохаллехь цунах лаьцна ойла еш ву со.</verse>
				<verse number="98">О цу сан мостагӀел хьекъале вина со Хьан весето, иза массо а хенахь соьца цхьаьна долу дела.</verse>
				<verse number="99">О ьзда мел болчу сан хьехамчел а кхетаме хилла со, хӀунда аьлча Хьан бакъонех лаьцна ойла еш ву со.</verse>
				<verse number="100">О нда кхетам болчу къанойл а хӀума хууш ву со, хӀунда аьлча ас Хьан омранаш лардо.</verse>
				<verse number="101">О цу муьлххачу а зуламечу некъах ларбо аса сайн когаш, Хьан дош лардархьама.</verse>
				<verse number="102">О цу Ахьа тӀедиллинчух а ца къехка со, хӀунда аьлча Ахь-айхьа со Ӏамаво.</verse>
				<verse number="103">О ццул мерза ду-кх сан къамкъаргана Хьан дешнаш! Сан бетана мазал а мерза ду уьш.</verse>
				<verse number="104">О цу Хьан омранашкахула кхетам белла суна, цундела суна ца беза муьлхха а болу харцнекъ.</verse>
				<verse number="105">П айден Хьан дош чиркх санна ду суна, сан тачанехь иза суна серло ю.</verse>
				<verse number="106">П айденна долу Хьан нийса тӀедехкинарш лардан ас, дуй а бууш, чӀагӀо ма йинера.</verse>
				<verse number="107">П екъаро санна ас дуккха а гӀело хьегна. Веза Эла, Хьайн дашца дахар лохьа суна.</verse>
				<verse number="108">П аргӀат долчу сан синца сан багара долу сагӀа дӀаэцахьа, Веза Эла, Хьайн тӀедехкинчарах кхета Ӏамавехьа со.</verse>
				<verse number="109">П аргӀат долчу сан дахарна гуттар кхерам а лаьтташ, амма Хьан товрат-хьехам ас биц ца бо.</verse>
				<verse number="110">П аргӀат со ца хилийтархьама, Ӏесачара суна гур боьгӀна, амма со Хьан омранашна тӀера ца ваьлла.</verse>
				<verse number="111">П айда эцарца сан дог самукъа а доккхуш, массо а ханна Хьан бакъонаш сан долахь ю.</verse>
				<verse number="112">П усар дарца сайн дог ас тӀе-ма-дерзийнера чаккхенга кхаччалц Хьан парзаш лардан.</verse>
				<verse number="113">Р еза вац со кхоччуш тешам боцучарна, ткъа Хьан товрат-хьехам суна беза.</verse>
				<verse number="114">Р езахиларца сатуьйсу ас Хьан даше. Хьо — сан дӀалечкъийла а, сан турс а ду.</verse>
				<verse number="115">Р езахиларца сайн Делан весеташ лардойла аса. ДӀадовла суна уллора, вониг лелош дерш!</verse>
				<verse number="116">Р ицкъа хилийтахьа сан Хьайн чӀагӀонца, тӀаккха со вехар ву. Сан сатийсамехь со юьхьӀаьржачу ма хӀоттавехьа.</verse>
				<verse number="117">Р еза суна Хьо хиларо со кӀелхьарвоккхур вара. Массо а ханна Хьан парзийн Аса тидам бийр бара.</verse>
				<verse number="118">Р еза боцуш Хьан парзашна дуьхьалбевлла лелаш берш массо а Ахь дӀатотту, хӀунда аьлча церан мекарлонаш эрна ю.</verse>
				<verse number="119">Р огӀ-роггӀана лаьттара Ӏесанаш, хатт санна, Ахь дӀабоху, цундела езаелла суна Хьан бакъонаш.</verse>
				<verse number="120">Р аж йоцуш дегош ду сан дегӀ Хьох кхерарна. Сан дага чу кхерам тесна Ахь йинчу кхелаша.</verse>
				<verse number="121">С о бакъдерг а, нийсо а лелош Ӏийра, ма вахийтахьа со сан мостагӀийн кара.</verse>
				<verse number="122">С уна диканна, Хьан лай волчу соьгахьа гӀо а даккхий, ларвехьа со, курачаьрга гӀелонаш ца йойтуш.</verse>
				<verse number="123">С ан бӀаьргаш гӀелделла ду, Ахь кӀелхьарваккхаре хьежарна. Нийсонца Ахь йина чӀагӀо кхочушъяре хьоьжуш ма ву со.</verse>
				<verse number="124">С о лелавехьа, Хьайн безаме хьаьжжина, со Хьайн парзех а кхетавехьа.</verse>
				<verse number="125">С о Хьан лай ву, Ӏамавехьа со, тӀаккха кхетар ву со Хьан бакъонех.</verse>
				<verse number="126">С ийсаз а бохуш, Хьан товрат-хьехам талхорна, Ахь кхел ян езаш йолу хан тӀекхаьчна, Веза Эла.</verse>
				<verse number="127">С уна Хьан весаташ дешил дезаш ду, ур-атталла цӀеначу дешил сов деза.</verse>
				<verse number="128">С айна Ахь тӀе мел дехкина омранаш нийса хеташ ас тӀеоьцу, муьлхха а харцонца болу некъ суна чӀогӀа ца беза.</verse>
				<verse number="129">Т Ӏех инзаре ю Хьан бакъонаш, цундела царна муьтӀахь ву со.</verse>
				<verse number="130">Т Ӏех серло ло Хьан дешнийн дӀаделларо, муьлхха а хууш воцург кхета а во цо.</verse>
				<verse number="131">Т Ӏех дукха Хьан весеташка сатийсарна гӀаттийначу баганца аса синош доху.</verse>
				<verse number="132">Т ам а бехьа суна, къинхетам а бехьа сох, Хьан цӀе езачарах Айхьа ма-барра.</verse>
				<verse number="133">Т ӀечӀагӀбехьа сан когаш Хьайн дашца, зуламечу хӀумане со кӀел ма витийтахьа.</verse>
				<verse number="134">Т Ӏех адамаша ницкъ барх кӀелхьарваккхахьа со, Хьан омранашна со муьтӀахь хилийтархьама.</verse>
				<verse number="135">Т ешамца Хьан юьхь тӀера серло суна лепаехьа, Хьан парзех со иштта кхетавехьа.</verse>
				<verse number="136">Т Ӏех халахетарна сан бӀаьргех хиш оьху, Хьан товрат-хьехам наха лар ца бо дела.</verse>
				<verse number="137">У ггаре а нийсаниг, Веза Эла, Хьо ма ву, ткъа Хьан тӀедехкинарш бакъ ма ду.</verse>
				<verse number="138">У ггаре нийса а, тешаме а ю Ахьа тӀе мел ехкина бакъонаш.</verse>
				<verse number="139">У ллогӀерта цӀе санна, оьгӀазло суна чохь йогуш ю, хӀунда аьлча сан мостагӀаша дицдо Хьан дешнаш.</verse>
				<verse number="140">У ггар зийна ю Ахь йина чӀагӀонаш, Хьан лай волчу суна уьш езаелла.</verse>
				<verse number="141">У ггаре кӀезиг а, нахана дола хеташ а со воллушехь, аса Хьан омранех цхьа а диц ца до.</verse>
				<verse number="142">У ггар дукха ханна Хьан нийсо лаьтташ ю, ткъа Хьан товрат-хьехам билггал а тешаме бу.</verse>
				<verse number="143">У ггар хала бала а, гӀайгӀа а тӀееана суна, амма Хьан весеташ — суна сакъерадалар ду.</verse>
				<verse number="144">У ггар а нийса ю Хьан бакъонаш абаденналц. Хьехар дехьа суна, тӀаккха со вехар ву.</verse>
				<verse number="145">Хь оьга, Веза Эла, кхойкху со сайн доллучу даггара. Со дӀахазахьа, ас Ӏалашдийр дара Хьан парзаш.</verse>
				<verse number="146">Хь оьга со кхойкхуш ву. КӀелхьарваккхахьа со, ткъа Хьан бакъонаш аса Ӏалашйийр яра.</verse>
				<verse number="147">Хь оьга гӀо доьхуш сахиллалц Ӏа со, Хьан дашах дегайовхо а ю сан.</verse>
				<verse number="148">Хь ан чӀагӀонех лаьцна ойланаш ярхьама, аса буса сахиллалц бӀаьргаш дӀа ца къовлу.</verse>
				<verse number="149">Хь айн хедар боцучу безаме хьаьжжина, сан озе тидам бехьа, Веза Эла, Хьайн нийсоне хьаьжжина, сан дахар Ӏалашдехьа!</verse>
				<verse number="150">Х Ӏилла лело дагатеснарш тӀегӀоьртина суна, уьш Хьан товрат-хьехамна генахь бу.</verse>
				<verse number="151">Хь о уллохь ву суна, Веза Эла, Хьан дерриг а весеташ нийса ду.</verse>
				<verse number="152">Хь ан бакъонех лаьцна дикка хан ю суна хиъна, уьш Ахьа массо а ханна дӀахӀиттинийла а хаьа суна.</verse>
				<verse number="153">Ч ӀогӀачу баланехь со хиларе а хьажий, кӀелхьарваккхахьа со, хӀунда аьлча ас биц ца бо Хьан товрат-хьехам.</verse>
				<verse number="154">Ч ӀагӀо Айхьа ма-ярра, со кӀелхьарваккхахьа. Сан къовсам къаста а беш, со паргӀат а ваккхахьа.</verse>
				<verse number="155">Ч ӀогӀа генахь бу Ӏесанаш кӀелхьарбахарх, царна Хьан парзаш кхочушдан ца лаарна.</verse>
				<verse number="156">Ч ӀогӀа къинхетаме ву Хьо, Веза Эла. Хьайн кхел ярца денвехьа со.</verse>
				<verse number="157">Ч ӀогӀа дукха бу суна тӀаьхьабевлларш а, мостагӀий а, амма Хьан бакъонашна со генаваьлла вац.</verse>
				<verse number="158">Ч ӀогӀа дог делира сан Хьуна тешаме боцурш ган, хӀунда аьлча Хьан дош ца лардо цара.</verse>
				<verse number="159">Ч ӀогӀа Хьан омранаш суна дезаш хиларе хьажахьа, Веза Эла, Хьайн безамца денвехьа со.</verse>
				<verse number="160">Ч ӀогӀа тешаме бу Хьан дешан бух, массо а Хьан нийса тӀедехкинарш абаденналц ду.</verse>
				<verse number="161">Ш аьш бакъ боццушехь, суна тӀаьхьабевлла куьйгалхой, амма сан дог, ларамах а дуьзна, Хьан дош бахьана долуш дегадо.</verse>
				<verse number="162">Ш ена йоккха са яьлларг санна, воккхавеш ву со Хьан чӀагӀонах.</verse>
				<verse number="163">Ш еко а йоцуш, ца деза суна харцдерг, ткъа Хьан товрат-хьехам суна беза.</verse>
				<verse number="164">Ш аерг нийса йолу Хьан кхелаш бахьанехь, дийнахь ворхӀазза хастам бо ас Хьуна.</verse>
				<verse number="165">Ш ортта синпаргӀато ю Хьан товрат-хьехам безачийн, ткъа уьш тасабалийта я галбовлийта хӀумма а дац.</verse>
				<verse number="166">Ш еко йоцуш, Ахь кӀелхьарваккхаре дегайовхо ю сан, Веза Эла, Хьан весеташ а кхочушдо ас.</verse>
				<verse number="167">Ш атайпа Хьан бакъонаш сан сино ларйо, уьш суна Ӏаламат дукха а еза.</verse>
				<verse number="168">Ш адерг сан некъаш Хьуна хьалха хиларна, Хьан омранаш а, бакъонаш а ларйо ас.</verse>
				<verse number="169">Ӏ азап чуьра ас доккху орца дӀакхочийла Хьоьга, Веза Эла. Хьайн дашца кхетам лохьа суна.</verse>
				<verse number="170">Ӏ ийжаме сан доӀанаш Хьоьга дӀакхочийла. Хьайн чӀагӀонца со кӀелхьарваккхахьа.</verse>
				<verse number="171">Ӏ анор бу сан багано Хьуна хастамаш, Ахь Хьайн весетех со кхетаво дела</verse>
				<verse number="172">Ӏ абарца сан матто дӀакхайкхадойла Хьан дош, хӀунда аьлча массо а Хьан весеташ нийса ду.</verse>
				<verse number="173">Ӏ аламат тешаме долу Хьан куьг суна гӀоьнна хуьлийла, хӀунда аьлча ас Хьан омранаш кхочушдан хаьржина.</verse>
				<verse number="174">Ӏ ебийла Ахь кӀелхьарваккхарх болу сан хьагам, Хьан товрат-хьехамах со сакъералуш ву.</verse>
				<verse number="175">Ӏ ойла сан са Хьуна хастамаш а беш, Ахьа тӀедехкинарш суна гӀортор санна хуьлийла.</verse>
				<verse number="176">Ӏ ахар тила ма-баллара, тилавелла со. Хьайн ялхо волу со лехахьа, хӀунда аьлча Хьан весеташ суна диц ца делла.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="119">
				<verse number="1">Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Сайна бохам баьллачу дийнахь Везачу Эле орца даьккхира аса, ткъа Цунна со дӀа а хезира.</verse>
				<verse number="2">Веза Эла! КӀелхьардаккхахьа сан са харцлуьйш болчу нехан маттах, эладита лелочеран харцонах.</verse>
				<verse number="3">Ва харцонца ледеш дерш! Дала шуна хӀун дийр ду те? Цо шуна стенца таӀзар дийр ду те?</verse>
				<verse number="4">ТӀемалочун ирачу пхарца а, жӀоламах богуш болчу кӀегаца а Цо таӀзар дийр ду шуна.</verse>
				<verse number="5">Бала бу соьгахь машахахой санначарна уллохь вехаш хиларна, иштта къедархой санначеран четаршна юкъахь вехаш хиларна а.</verse>
				<verse number="6">ТӀехдукха ваьхна со машар ца безачарна юкъахь.</verse>
				<verse number="7">Со машаре стаг ву, амма со вистхуьллушехь, уьш тӀамана кийча хуьлу.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="120">
				<verse number="1">Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Ас сайн бӀаьргаш лаьмнаш долчу дӀахьажабо, сайна гӀо стенгара схьакхочур ду а хоьттуш.</verse>
				<verse number="2">ГӀо Везачу Элера хир ду суна, стигал а, латта а кхоьллина волчу.</verse>
				<verse number="3">Хьан ког тасаболуьйтур а бац Цо, сема а хир ву хьо ларвеш Верг.</verse>
				<verse number="4">Сема а ву, вижина а вац Исраилан халкъ лардеш Верг.</verse>
				<verse number="5">Веза Эла хьо ларвеш Верг ву. Веза Эла хьан аьтту куьг долчу агӀонгахь долу ӀиндагӀ ду.</verse>
				<verse number="6">Я дийнахь кхеттачу малхо а, я буса кхеттачу батто а хьуна цатам бийр бац.</verse>
				<verse number="7">Везачу Эло массо а бохамах ларвийр ву хьо, хьан са лардийр ду Везачу Эло.</verse>
				<verse number="8">Хьо воьдуш-вогӀуш массанхьа а Везачу Эло ларвийр ву хьо хӀинца дуьйна абаденналц.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="121">
				<verse number="1">Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу Даудан назма. Воккхавеш вара со, сайга аьлча: «Везачу Элан цӀийнан керта гӀо вай».</verse>
				<verse number="2">Хьан кевнашкахула а бевлла, тхан когаш лаьтташ бу, Ярушалайм</verse>
				<verse number="3">Дика цхьаьнатоьхна йина гӀала санна, чӀагӀйина лаьтташ ю Ярушалайм.</verse>
				<verse number="4">Везачу Элан долахь долу исраилхойн тайпанаш хьаладогӀуш йолу меттиг а циггахь ю. Исраилан халкъана бакъо елла ю Везачу Элан цӀарна цигахь хастамаш бан.</verse>
				<verse number="5">Цигара нийса кхел ярца паччахьалла деш ду, Даудан цӀийнан паччахьан гӀант цигахь лаьтташ ду.</verse>
				<verse number="6">Деле бехийша Ярушалаймана машар: «Маьршачу меттехь хуьлийла хьо езаш берш!</verse>
				<verse number="7">Машар лаьттийла хьан пенашна юкъахь, сашорте лаьттийла хьан гӀепашна чохь!»</verse>
				<verse number="8">Сайн гергарчеран а, уллорачеран а дуьхьа ас эр ду: «Машар хуьлийла хьуна чохь!»</verse>
				<verse number="9">Вайн Везачу Делан цӀийнан дуьхьа хьуна диканиг хуьлийла доьху ас.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="122">
				<verse number="1">Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Хьоьга хьалахьажабо ас сайн ши бӀаьрг, стигалшкара паччахьалла деш Верг!</verse>
				<verse number="2">Лай шен олахочуьнга ма-хьежжара, зуда-лай шен зуда-олахочуьнга ма-хьежжара, вайн Везачу Деле хьоьжуш ду вай, Цо вайх къинхетам баллалц.</verse>
				<verse number="3">Къинхетам бехьа тхох, Веза Эла, къинхетам бехьа, хӀунда аьлча тӀехдукха кхиссарш йора тхуна наха.</verse>
				<verse number="4">Дуккха а хьийгира оха куранаш тхох кхардар а, куралла ечара тхо аьшнаш дар а.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="123">
				<verse number="1">Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу Даудан назма. Олийла Исраилан халкъо: «Нагахь Веза Эла вайца ца хиллехь,</verse>
				<verse number="2">мостагӀий тӀелеттачу хенахь, Иза вайца ца хиллехь, хӀун хилла хир дара те вайх?</verse>
				<verse number="3">Шаьш дарбеллачу хенахь мостагӀаша вай дийна доллушехь дӀакхоллур дара-кх.</verse>
				<verse number="4">Дистина тӀедогӀучу хино санна, бухадохуьйтур дара-кх цара вай.</verse>
				<verse number="5">Карзахдаьлла долчу хино санна, бухадохуьйтур дара-кх цара вай».</verse>
				<verse number="6">Декъала ву вай мостагӀашка хӀаллак ца дайтина волу Веза Эла!</verse>
				<verse number="7">РечӀанах кӀелхьардовлу олхазарш санна, кӀелхьардевлла вайн синош. И речӀа хада а еш, вай дӀасадевдда.</verse>
				<verse number="8">Везачу Элера ду вайна гӀо — Иза стигалш а, латта а Кхоьллинарг ма ву.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="124">
				<verse number="1">Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Везачу Элах тешаш верг Цийон-лам санна ву. Иза меттах а бер бац, массо а ханна лаьттар а бу.</verse>
				<verse number="2">Лаьмнаша Ярушалаймана го баре терра, Веза Эла Шен халкъана гонах ву, хӀинца дуьйна массо тӀейогӀучу ханна.</verse>
				<verse number="3">Ӏесачу наха суьпачу нехан лаьтта тӀехь куьйгалла дар даим дуьсур дац, суьпачу нахе шайн куьйгаш зулам дарна тӀе ца кховдадайтархьама.</verse>
				<verse number="4">Диканиг дехьа, Веза Эла, дикачарна — цӀена дегнаш долуш болчарна.</verse>
				<verse number="5">Амма харц новкъа бевллачарна — Везачу Эло таӀзар дойла харцонаш лелочаьрца цхьаьна. Исраилна тӀехь машар хуьлийла!</verse>
			</chapter>
			<chapter number="125">
				<verse number="1">Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Везачу Эло Цийон юхаметтахӀоттийча, тхо гӀенах лелаш санна дара.</verse>
				<verse number="2">Цу заманахь тхо синкъераме доьлуш дара, тхан аьзнаш даккхийдерах дуьзна а дара. Цу хенахь кхечу къаьмнашна юкъахь олуш дара: «Оцу халкъан дуьхьа Везачу Эло сийлахь гӀуллакхаш дина!»</verse>
				<verse number="3">Сийлахь хӀуманаш Везачу Эло тхан дуьхьа дина, цундела тхо сакъералуш дара.</verse>
				<verse number="4">КхидӀа а юхаметтахӀиттадехьа тхо, Веза Эла, якъаеллачу аренгахь Ӏовраш хецар санна.</verse>
				<verse number="5">БӀаьрхишца латта дӀадийначо самукъадаларца ялта хьокхур ду.</verse>
				<verse number="6">Белхарца хӀу эцна кха тӀе воьдуш верг самукъадаларца шен цӀевнаш дахьаш юхавоьрзур ву.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="126">
				<verse number="1">Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу Сулим-паччахьан назма. Нагахь цӀа Везачу Эло Ша дойтуш дацахь, иза дечара эрна къахьоьгу, нагахь Везачу Эло гӀала ларъеш яцахь, гӀаролан сема хилар эрна ду.</verse>
				<verse number="2">Эрна ду шун хьалххе хьалагӀовттар а, хан яллалц Ӏар а, хьацарца даьккхина бепиг даар а. И дерриг а Везачу Эло Шена везачунна ло, иза вижина Ӏуьллушехь.</verse>
				<verse number="3">Бераш Везачу Элан тӀаьхье ю, уьш Цо делла совгӀат ду.</verse>
				<verse number="4">ТӀемалочун карахь долу пхерчий санна бу ден къоначу хенахь бина болу кӀентий.</verse>
				<verse number="5">Ирс долуш ву цаьрца шен Ӏад-ботт хьалаюьзнарг! Иза юьхьӀаьржачу хӀуттур вац кевнехь ша мостагӀашца къамел дечу хенахь.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="127">
				<verse number="1">Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Ирс долуш ву, Делах а кхоьруш, Цуьнан некъашца лелаш волу стаг!</verse>
				<verse number="2">Шен куьйган къинхьегамца даьккхинчух вахалур ву иза, ирс долуш а, беркате а хир ву иза.</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха цуьнан цӀа чуьра цуьнан зуда а хир ю, стом луш йолу кемсийн таьлланг санна. Оцу стага дӀадоьгӀначу зайт-диттан гаьннаш санна, цуьнан бераш а хир ду цуьнан шуьнна гонах.</verse>
				<verse number="4">Иштта декъал хир ву Везачу Элах кхоьруш волу стаг!</verse>
				<verse number="5">Цийон-лам тӀера Везачу Эло декъалвойла иза. Ярушалайм-гӀалин заза даккхар гойла цунна массо а цуьнан дахаран деношкахь.</verse>
				<verse number="6">Шен берийн бераш а гойла цунна. Машар лаьттийла Исраил-махкахь!</verse>
			</chapter>
			<chapter number="128">
				<verse number="1">Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. «Жима волуш дуьйна дукха хьийзийна со, — дӀаолийла Исраилан халкъо. —</verse>
				<verse number="2">Жима волуш дуьйна дукха хьийзийна со, амма суна тӀехь толам ца баьккхина.</verse>
				<verse number="3">Сан букъа тӀехь охана дина, ахархоша деха хершнаш даьхна.</verse>
				<verse number="4">Амма Веза Эла нийсо лелориг ву: Ӏесачеран лоллера Цо со паргӀатваьккхира».</verse>
				<verse number="5">Эхь а хетта, юхабовлийла Цийон-лам тӀехь лаьтташ долу Делан цӀа ца дезаш болу берриш а!</verse>
				<verse number="6">Схьаяккхале якъалуш йолу тхов тӀера буц санна хуьлда уьш.</verse>
				<verse number="7">Цу бецах маьрсахочо буй бузур бац, ткъа цӀов боьхкуш волчо — шен кана.</verse>
				<verse number="8">Уллохула тӀехбовлучара эр дац: «Везачу Элан декъалдар шуна тӀехь хуьлийла! Везачу Элан цӀарца оха декъалдо шу!»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="129">
				<verse number="1">Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. КӀоргенера кхойкху ас Хьоьга, Веза Эла.</verse>
				<verse number="2">Веза Эла! ДӀахазахьа сан аз. Суна къинхетам баран дехаре ладугӀуш хуьлийла Хьан лергаш.</verse>
				<verse number="3">Нагахь Ахь, Веза Эла, къинош дӀаяздеш хилча, ва Хьалдолу Эла, мила латталур ву те?</verse>
				<verse number="4">Амма нахана гечдийриг Хьо волу дела, Хьуна хьалха тхо ларамах дуьзна лаьтта.</verse>
				<verse number="5">Везачу Эле хьоьжуш ву со сан са Цуьнга хьоьжуш ду. Цуьнан дашах тешна ву со.</verse>
				<verse number="6">Сан са Везачу Эле хьоьжу, ха деш берш Ӏуьйрене хьоьжучул сов, уьш Ӏуьйре тӀекхачаре хьоьжучул сов.</verse>
				<verse number="7">Ва Исраилан халкъ, Везачу Элах дегайовхо йолуш хуьлийла хьо, хӀунда аьлча Везачу Элехь хедар боцу безам бу, Иза массо а хенахь нах паргӀатбаха лууш ву.</verse>
				<verse number="8">Массо а ша летийначу къинойх Исраилан халкъ Цо паргӀатдоккхур ма ду.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="130">
				<verse number="1">Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу Даудан назма. Веза Эла! Куралла яц сан даг чохь, дегаллица сан бӀаьргаш ца хьоьжу. Ас гӀайгӀа ца бо сийлахьчу хӀуманийн а, со кхетачу тӀех халачу хӀуманийн а.</verse>
				<verse number="2">Мелхо а, сайн са ас тийна а, синтеме а дина, ненан некхах дӀадаьккхина бер санна. Суна чохь долу са хӀинца синтеме ду, ненан некхах дӀадаьккхина бер санна.</verse>
				<verse number="3">Ва Исраилан халкъ, Везачу Элах дегайовхо йолуш хуьлийла хьо хӀинца дуьйна тӀейогӀу йолчу массо а хенахь.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="131">
				<verse number="1">Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Дагаваийтахьа, Веза Эла, Дауд а, цуьнан холчу хӀиттар а,</verse>
				<verse number="2">цо Везачу Элана чӀагӀо яр а, Якъубан Нуьцкъалчунна ваӀда дар а:</verse>
				<verse number="3">«Сайн цӀийнан тхевнна кӀел гӀур вац со, со Ӏуьллучу метта хьалавер вац со,</verse>
				<verse number="4">сайн бӀаьргашка наб йойтур яц ас, сайн бӀаьргийн негӀарш а тӀеттӀа дохуьйтур дац,</verse>
				<verse number="5">Везачу Элана меттиг суна караяллалц, Якъубан Нуьцкъалчунна хӀусам хиллалц».</verse>
				<verse number="6">Эпратехь тхо хиллачу хенахь Делан тӀорказ мичахь ду тхуна хезна, ЯӀаран аренашкахь тхуна карийна иза.</verse>
				<verse number="7">Цуьнан хӀусаме а дахана, Цуьнан когийн кӀелонна хьалха суждане гӀур ду вай.</verse>
				<verse number="8">Веза Эла, Хьо Ӏаш волчу метте дӀахӀоттахьа, Хьо а, Хьан олаллин тӀорказ а.</verse>
				<verse number="9">Хьан динан дай нийсо тӀеюьйхина хуьлийла. Хьан долахь берш хазахетарца баккхийбойла.</verse>
				<verse number="10">Хьайн ялхо волчу Даудан дуьхьа Хьайн юьхь Айхьа къобалвинчунна тӀера дӀа ма ерзаехьа.</verse>
				<verse number="11">Везачу Эло чӀагӀо йина Даудана, Ша юхавер воцу ваӀда дина Цо: «Хьан тӀаьхьенах волчу стагана лур ю Аса ахь динчу тайпана паччахьалла дар.</verse>
				<verse number="12">Нагахь хьан кӀенташа Сан барт а, Ас царна ло бакъонаш а ларъяхь, церан кӀенташа а гуттар а ахь динчу тайпана паччахьалла дийр ду».</verse>
				<verse number="13">ХӀунда аьлча Везачу Эло Цийон хаьржина, цунах Шен хӀусам ян лиъна Цунна.</verse>
				<verse number="14">«Иза гуттаренна а Со Ӏийр волу меттиг ю, кхузара Аса паччахьалла дийр ду, хӀунда аьлча и меттиг Суна езна.</verse>
				<verse number="15">Цуьнан сурсаташ Ас чӀогӀа декъалдийр ду, цуьнан мисканаш кхачанах бузор бу.</verse>
				<verse number="16">Цуьнан динан дайшна кӀелхьардовлар тӀедухур ду Ас. Цигара болу Далла тешаменаш хазахетарца баккхийбийр бу.</verse>
				<verse number="17">Цигахь Даудан цӀа Аса сийлахь хуьлуьйтур ду, Айса къобалвинчунна стогар дӀахӀоттор бу.</verse>
				<verse number="18">Цуьнан мостагӀий Аса юьхьӀаьржачу хӀиттор бу, ткъа цуьнан коьрта тӀехь цуьнан таж лепар ду».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="132">
				<verse number="1">Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу Даудан назма. Мел дика а, тамехь а ду динан вежаршна бертахь цхьаьна баха!</verse>
				<verse number="2">Коьрта тӀе а доьттина, АхӀаронан можа тӀехула, цуьнан бедарийн йистошка охьаоьху деза даьтта санна ду иза.</verse>
				<verse number="3">Цийон-лаьмнаш тӀе дуьллу Хьермон-ломан тхи санна ду иза. Цигахь делла халкъана Везачу Эло Шен декъалдар: хедар доцу дахар.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="133">
				<verse number="1">Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу Даудан назма. Дуьло, Везачу Элана хастамаш бейша, Везачу Элан массо а ялхой, буьйсанна Везачу Элан цӀийнан кертахь Цунна гӀуллакхаш деш болу.</verse>
				<verse number="2">Делан цӀийне куьйгаш а кховдадай, Везачу Элана хастамаш бейша.</verse>
				<verse number="3">Стигалш а, латта а кхоьллинчу Везачу Эло Цийон-лам тӀера хьо декъалвойла!</verse>
			</chapter>
			<chapter number="134">
				<verse number="1">	 Везачу Элана бу хастам! Хастаейша Везачу Элан цӀе, хастаейша иза, Везачу Элан ялхой,</verse>
				<verse number="2">Везачу Элан цӀенна уллохь гӀуллакх деш болу, вайн Делан цӀийнан керташкахь лаьтташ болу.</verse>
				<verse number="3">Хаставейша Веза Эла, хӀунда аьлча Веза Эла дика ву. Цуьнан цӀарна эшарш лакхийша, хӀунда аьлча иза дагна тамехь ду.</verse>
				<verse number="4">Везачу Эло Шена Якъубан тӀаьхье хаьржина, Исраилан халкъ Цо Шен дола даьккхина.</verse>
				<verse number="5">Суна хиъна Веза Эла сийлахь вуйла, вайн Веза Эла массо а деланел лакхара вуйла.</verse>
				<verse number="6">Везачу Эло Шена луъург до стигалшкахь а, лаьтта тӀехь а, хӀордашкахь а, массо а хин кӀоргенашкахь а.</verse>
				<verse number="7">Цо дуьненан йистошкара мархаш гӀиттайо, догӀа догӀуш стелахаьштигаш тухуьйту, Шен хӀума дӀаюьллучу меттера мох арабоккху.</verse>
				<verse number="8">Мисар-махкара хьалха дуьнен чу девлларш хӀаллакдина Цо — хьалха дуьнен чу бевлла кӀентий а, хьалха хилла дийнаташ а.</verse>
				<verse number="9">Хьо болчохь, Мисар-мохк, Цо тамашийна билгалонаш а гайтина, инзаре хӀуманаш пирӀунна а, массо а цунна уллорачарна а тӀехецна.</verse>
				<verse number="10">Цо дуккха а къаьмнаш эшийна, андий паччахьаш хӀаллакбина:</verse>
				<verse number="11">эмархойн паччахь Сихьон а, Башанан паччахь ӀовгӀа а, канаӀанхойн массо а паччахьаш а.</verse>
				<verse number="12">Церан латта Шен халкъана, исраилхошна, тӀаьхьалонна дӀаделла Цо.</verse>
				<verse number="13">Веза Эла, Хьан цӀе гуттаренна ю. Веза Эла, Хьо тӀаьхьенашкара тӀаьхьенийн а дагахь ву.</verse>
				<verse number="14">ХӀунда аьлча Везачу Эло Шен халкъ бехказадоккхур ду, Шена гӀуллакх дечарах Цо къинхетам бийр бу.</verse>
				<verse number="15">Кхечу къаьмнийн деланаш детих а, деших а бина бу, уьш адамийн куьйгашца бина болу цӀуш бу.</verse>
				<verse number="16">Церан батош ю, амма цара къамел ца до, церан бӀаьргаш бу, амма царна хӀумма а ца го.</verse>
				<verse number="17">Церан лергаш ду, амма царна ца хеза, хӀо дац церан батошкахь.</verse>
				<verse number="18">Царах терра хир бу уьш беш берш а, царах тешна Ӏаш верг муьлхха а.</verse>
				<verse number="19">Исраилан халкъ! Хаставе Веза Эла. АхӀаронан тӀаьхье! Хаставе Веза Эла.</verse>
				<verse number="20">Левин тӀаьхье! Хаставе Веза Эла. Везачу Элана хьалха ларамах дуьзнарш! Хаставе Веза Эла.</verse>
				<verse number="21">Цийон-лома тӀера хаставе Веза Эла, Ярушалаймехь Ӏаш волу Веза Эла! Везачу Элана бу хастам!</verse>
			</chapter>
			<chapter number="135">
				<verse number="1">	 Баркалла ала Везачу Элана, Иза дика хиларна. Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.</verse>
				<verse number="2">Баркалла ала деланийн Далла — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.</verse>
				<verse number="3">Баркалла ала олалла дечеран Везачу Элана — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.</verse>
				<verse number="4">Баркалла ала Ша инзаре Ӏаламаташ Дечунна — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.</verse>
				<verse number="5">Баркалла ала хьекъалца стигалш Кхоьллинчунна — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.</verse>
				<verse number="6">Баркалла ала Хишна тӀехь латта ЧӀагӀдинчунна — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.</verse>
				<verse number="7">Баркалла ала ши коьрта серло Кхоьллинчунна: (Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.)</verse>
				<verse number="8">царах малх дийнан Ӏуналла а деш, (Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.)</verse>
				<verse number="9">бутт а, седарчий а буьйсанан Ӏуналла а деш — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.</verse>
				<verse number="10">Баркалла ала мисархойн хьалха дуьнен чу девлларш ХӀаллакдинчунна — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.</verse>
				<verse number="11">Баркалла ала Исраилан халкъ Мисар-махкара Арадаьккхинчунна (Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу)</verse>
				<verse number="12">нуьцкъалчу куьйгаца а, тӀекховдийначу пхьаьрсаца а — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.</verse>
				<verse number="13">Баркалла ала Эрзийн хӀорд Бекъначунна — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.</verse>
				<verse number="14">Баркалла ала Исраилан халкъ цу юккъехула Чекхдаьккхинчунна — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.</verse>
				<verse number="15">Баркалла ала пирӀун а, цуьнан эскар а Эрзийн хӀордана чу Кхоьссинчунна — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.</verse>
				<verse number="16">Баркалла ала Шен халкъ яьссачу арахула Чекхдаьккхинчунна — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.</verse>
				<verse number="17">Баркалла ала сийлахь паччахьаш Эшийначунна — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.</verse>
				<verse number="18">Баркалла ала онда паччахьаш Байинчунна: — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.</verse>
				<verse number="19">Эмархойн паччахь Сихьон а, — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.</verse>
				<verse number="20">Башанан паччахь ӀовгӀа а — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.</verse>
				<verse number="21">Баркалла ала церан латтанаш Схьаделлачунна — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.</verse>
				<verse number="22">Баркалла ала Шен ялхочунна, Исраилан халкъана, уьш Схьакхачийначунна — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.</verse>
				<verse number="23">Баркалла ала вай эшийна хиллачу хенахь вай Дагадаьхкинчунна — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.</verse>
				<verse number="24">Баркалла ала вай вешан мостагӀех КӀелхьардаьхначунна — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.</verse>
				<verse number="25">Баркалла ала муьлххачу а садолчу хӀуманна кхача Лучунна — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.</verse>
				<verse number="26">Баркалла ала стигалийн Далла — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу!</verse>
			</chapter>
			<chapter number="136">
				<verse number="1">	 Бавелан хишна юххе тхо ховшура, цигахь тхо делха а доьлхура, Цийонна хилларг дага а лоьцуш.</verse>
				<verse number="2">Тхайн дечиг-пондарш дак-дитта тӀе хьалаоьхкина оха.</verse>
				<verse number="3">Тхо йийсаре дигинчара тхоьга эшарш лакха бохура, тхуна ницкъ бечара шайн самукъадаккха бохура: «Лакхал тхуна Цийонера эшарех цхьаъ!»</verse>
				<verse number="4">Хийрачу махкахь а долуш, оха муха локхур ю Везачу Элан эшар?</verse>
				<verse number="5">Нагахь суна хьо йицлахь, Ярушалайм, сан аьтту куьйгана муха лакха еза дицлойла.</verse>
				<verse number="6">Сан мотт багарчу стигалх дӀалетийла, нагахь суна хьо дагахь ца хилахь, нагахь ас Ярушалайм сайн самукъадаларан коьрте ца хӀоттаяхь.</verse>
				<verse number="7">Ва Веза Эла, дагадаийтахьа эдомхоша Ярушалайм эшийначу дийнахь динарг. Дагадаийтахьа цара иштта кхойкхуш хилар: «Йохае и гӀала! Йохае иза буха тӀе кхаччалц!»</verse>
				<verse number="8">Бавелан йоӀ, хӀаллакьян ва леринарг! Ирсе ву ахьа тхуна динчунна хьуна бекхам эцнарг!</verse>
				<verse number="9">Ирсе ву хьан бераш, схьа а эцна, тӀулгех детташ, хӀаллакдинарг!</verse>
			</chapter>
			<chapter number="137">
				<verse number="1">Даудан назма. Веза Эла! Доллучу даггара хастам бо ас Хьуна! Стигалийн гуламна хьалха хастаме назманаш олу ас Хьуна!</verse>
				<verse number="2">Хьан деза цӀа долчухьа охьатаьӀа со! Хьан хедар боцучу безаман дуьхьа а, Хьо тешаме хиларан дуьхьа а хастам бо ас Хьуна, хӀунда аьлча адамаша Хьан йоккхучу муьлххачу цӀарал а, лакхадаьккхина Ахь Хьайн дешан сий.</verse>
				<verse number="3">Аса Хьайга кхойкхучу дийнахь жоп делира Ахь, ницкъ а белла, сан са чӀагӀдира Ахь.</verse>
				<verse number="4">Хьан багара долу дешнаш дӀахезча, Веза Эла, Хьуна хастамаш бийр бу лаьттарчу массо а паччахьаша.</verse>
				<verse number="5">Хьан некъашна, Веза Эла, иллеш эр ду цара, хӀунда аьлча доккха ду Хьан сийлалла.</verse>
				<verse number="6">Хьо лакхахь велахь а, Веза Эла, лахахь верг а го Хьуна. Кура верг а геннара вевза Хьуна.</verse>
				<verse number="7">Нагахь со баланехь хилахь а, Ахь денвийр ву со. Сан мостагӀийн дераллина Хьайн куьг а тӀехьур ду Ахь. Хьан аьтту куьйго кӀелхьар а воккхур ву со.</verse>
				<verse number="8">Лохьа суна, Веза Эла, Айхьа лур ду аьлларг, Хьан безаман доза ма дац. Хьайн куьйго кхоьллинарг ма дитахьа, Веза Эла!</verse>
			</chapter>
			<chapter number="138">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. Веза Эла! Ахь со зе а зийна, Хьуна сох лаьцна дерг дерриг а хаьа.</verse>
				<verse number="2">Со маца охьахоу а, со маца хьалагӀотту а хаьа Хьуна. Сан ойланаш а евза Хьуна геннара а.</verse>
				<verse number="3">Со новкъахула вогӀуш велахь а, я вижина Ӏуьллуш велахь а, уллохь хуьлу Хьо суна. Со лела массо некъаш а девзаш ду Хьуна.</verse>
				<verse number="4">Меттан буьххьехь долу сан дош а, ас багах а даккхале, ма-дарра девза Хьуна, Веза Эла.</verse>
				<verse number="5">Хьалхахь а, тӀехьахь а, суна массо а агӀор а ву Хьо, Хьайн куьг а латтадо Ахь суна тӀехь даим.</verse>
				<verse number="6">Ма инзаре тамашийна ду Хьуна сох хууш мел дерг. И дерриге а довза сан ницкъ ца кхаччал лекха ду-кх иза.</verse>
				<verse number="7">Хьан Синах а къаьстина, стенга вер вара со? Хьан юьхь-дуьхьлара а стенга водур вара со?</verse>
				<verse number="8">Со стигала хьалаваьлча — цигахь а Хьо ма ву. Эхарте со кхаьчча — цигахь а Хьо ма ву.</verse>
				<verse number="9">Нагахь Ӏуьйренан зӀаьнарийн тӀемаш тӀехь со хьалаваьлча а, я, хӀордан дехьа йисте а ваьлла, малхбузехь со хилча а,</verse>
				<verse number="10">цигахь а Хьайн куьйгаца лелаво Ахь со, Хьайн аьтту куьг а кхийдадо Ахь соьга.</verse>
				<verse number="11">Нагахь: «Бодано хьулвойла со», я: «Суна гонах йолчу серлонах бода хуьлийла», — ас аьлча а,</verse>
				<verse number="12">Ӏаьржачу бодано дӀахьулвийр вац со Хьох. Хьуна-м Ӏаьржа бода а сирла серло санна бу.</verse>
				<verse number="13">ХӀунда аьлча, Веза Эла, суна чохь мел долу хӀума а Ахь кхоьллина ма ду. Ахь со, вовшах а тесна, сан ненан кийрахь кхоьллина ма ву.</verse>
				<verse number="14">Ас хастам бо Хьуна, инзаре тамашийна Ахь со кхолларна. Хьан гӀуллакхаш тамашийна ду. Сан синна иза чӀогӀа дика хаьа.</verse>
				<verse number="15">Хьох къайла ца делира сан даьӀахкийн хӀоттар, со къайлаха, лаьттан кийрахь волуш санна, кхоллалуш.</verse>
				<verse number="16">Хьан бӀаьргашна гуш ма вара со дуьнен чу а валале. Хьан тептар тӀехь дӀаяздина ду Ахь суна билгалдаьхна долу дерриг а сан дахаран денош, уьш цхьа а дола а далале.</verse>
				<verse number="17">Мел еза ю суна, Дела, ерриг а Хьан ойланаш, мел дукха а ю-кха уьш!</verse>
				<verse number="18">Уьш дерриг дагардан со воьлча, уьш гӀамарел а совдевр ду. Ткъа набарх самаваьлча, со Хьоьца караво суна.</verse>
				<verse number="19">Ва Дела, харцонаш лелош берш Ахь хӀаллакбахьара! ЦӀий Ӏанор дезаш дерш, суна уллора шу дӀадовла!</verse>
				<verse number="20">Сийсаза хабарш дуьйцу цара Хьуна дуьхьал. Хьан мостагӀаша Хьуна дуьхьал эрна хӀуманаш дуьйцу.</verse>
				<verse number="21">Веза Эла, Хьоьца мостагӀалла дерш ца безаш хир вац ткъа со? Хьуна дуьхьал болчех дог дер дац ткъа сан?</verse>
				<verse number="22">Боккха цабезам бу сан цаьрга. Уьш мостагӀий а бу сан.</verse>
				<verse number="23">Таллахьа Ахь со, Дела, сан дог а довзахьа. Зехьа Ахь со, Дела, сан ойланаш а йовзахьа.</verse>
				<verse number="24">Со харц некъа тӀе ваьллий толлуш, соьга Хьо схьахьажахьа. Хедар боцучу дахаран некъа тӀе Ахьа со ваккхахьа.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="139">
				<verse number="1">Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.</verse>
				<verse number="2">Веза Эла, кӀелхьарваккхахьа со вочу нахах, ницкъ бечу адамех ларвехьа со.</verse>
				<verse number="3">Шайн дегнашкахь уьш вон ойланаш еш бу, дерриг а дийнахь уьш девнаш дохуш бу.</verse>
				<verse number="4">Лаьхьанан мотт санна, ирбо цара шайн мотт. Лаьхьарчийн дӀовш ду церан багахь.</verse>
				<verse number="5">Ларвехьа со, Веза Эла, Ӏесачу нехан куьйгах. Сан когаш тасабалийта гӀерташ болчу ницкъ бечарах Ӏалашвехьа со.</verse>
				<verse number="6">Курачара суна гураш а, речӀанаш а хӀиттийна, новкъа тӀе бой а тесна цара, со лаца хӀуманаш охьаехкина.</verse>
				<verse number="7">Ас олу Везачу Эле: «Хьо сан Дела ву! Веза Эла, дӀахазахьа сан доӀанаш!»</verse>
				<verse number="8">Ва сан Хьалдолу Эла, сан кӀелхьарваларан ницкъ, тӀом бечу дийнахь сан корта Ахь Ӏалаш ма бина!</verse>
				<verse number="9">Веза Эла, Ӏесачунна луург ма хилийтахьа, цуьнан вон ойланаш кхочуш ма хилийтахьа, уьш кура ца бовлийтархьама.</verse>
				<verse number="10">Суна гонах болчеран коьрта тӀе дужийла церан багара долуш долу вониг.</verse>
				<verse number="11">Догуш долу кӀегий оьгийла царна тӀе, цӀерга кхуьссийла уьш, кӀоргачу Ӏин чу оьгийла уьш, кхин хьала а ца бовлуш.</verse>
				<verse number="12">Вон мотт берш махкахь чӀагӀбина ма хуьлийла. Ницкъ берш, бохам а бина, хӀаллакбина хуьлийла.</verse>
				<verse number="13">Суна хаьа, Везачу Эло гӀело хьоьгучеран къовсам а къастор бу, пекъарна нийсо а хуьлуьйтур юйла.</verse>
				<verse number="14">Хьан лаамехь болчара Хьан цӀе хастор ю, цӀена берш Хьуна хьалха бехаш хир бу.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="140">
				<verse number="1">Даудан назма. Веза Эла! Хьоьга кхойкху ас, сихлохьа суна тӀекхача, ас Хьайга кхойкхучу хенахь, сан озе ладогӀахьа.</verse>
				<verse number="2">Хаза хьожа йогӀу хӀума санна, сан доӀа Хьуна хьалха хуьлийла, куьйгаш аса айар Хьуна доккху суьйренан сагӀа санна хуьлийла.</verse>
				<verse number="3">Веза Эла, сан бете ха хӀоттадехьа, сан балдийн неӀарехь гӀарол дехьа.</verse>
				<verse number="4">Вониг даран ойланаш ма яхкийтахьа сан даг чу, харцонаш лелочу адамашца цхьаьна зуламе гӀуллакхаш дарх генаваккхахьа со. Церан тойнашкахь ма хилийтахьа со.</verse>
				<verse number="5">Дикачу стага суна таӀзар дойла — иза безам хиларца ду. Цо со нисвойла — сан коьртана долу даьтта иза ду. Сан корта цунах дӀа ма къаьхкийла! Ткъа сан доӀанаш гуттар а Ӏесачеран зуламна дуьхьал ду.</verse>
				<verse number="6">Церан тхьамданаш тархашна тӀера чукхуьссучу хенахь, нахана хуур ду сан дешнаш бакъ дуйла.</verse>
				<verse number="7">Цхьаммо латта охуш а, доькъуш а санна, вайн даьӀахкаш а дӀасакхиссина ю, эхартан баганна уллохь а Ӏохкуш.</verse>
				<verse number="8">Амма, сан Хьалдолу Эла, Хьуна тӀе хьажийна бу сан бӀаьргаш. Хьоьгахула со ларвеш ву, дӀа ма тасалахь сан са!</verse>
				<verse number="9">Суна йоьгӀначу речӀанех а, харцонаш лелочеран гурех а ларвехьа со.</verse>
				<verse number="10">Ӏеса нах шайн речӀанаша лоьцийла, ткъа со маьрша дехьаволийла.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="141">
				<verse number="1">Даудан хьехаме назма. Хьехахь волуш цо дина доӀа. Аз хозуьйтуш, Везачу Эле кхойкху со, аз хозуьйтуш, Цуьнга доӀа до ас.</verse>
				<verse number="2">Сайн латкъам ас Цуьнга балхабо, Сайн гӀайгӀа ас Цунна йовзуьйту.</verse>
				<verse number="3">Сан са кхачочу хенахь Хьуна сан некъ бевза. Со лелачу новкъахь мостагӀаша къайлаха суна гур боьгӀнера.</verse>
				<verse number="4">Со аьтту агӀор хьожу, амма массара а со цаларар го суна. Сан тӀетевжийла дӀаяьлла, сан синан гӀайгӀа беш цхьа а вац.</verse>
				<verse number="5">Со Хьоьга кхайкхира, Веза Эла, ас элира: «Сан чӀагӀонан меттиг а, дийначийн лаьтта тӀера сан дакъа а Хьо ду».</verse>
				<verse number="6">ДӀахазахьа сан тийжам, гӀора кхачийна-кх сан. Сайн мостагӀех кӀелхьарваккхахьа со, сол нуьцкъала бу-кх уьш.</verse>
				<verse number="7">Боданера сан са арадаккхахьа, Хьайн цӀе соьга язъяйта. Суна гонах Делан лаамехь берш гуллур бу, Ахь Хьайн дика болх суна бина дела.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="142">
				<verse number="1">Даудан назма. Веза Эла! ДӀахазахьа сан доӀа! Хьо тешаме хиларна ладогӀахьа сан дехаре! Ахь нийсо лелорна жоп лохьа суна!</verse>
				<verse number="2">Хьайн лай волу со кхеле ма вигалахь, хӀунда аьлча дуьнен чохь вехарг цхьа а Хьуна хьалха бакъ вац.</verse>
				<verse number="3">МостагӀа ву суна тӀаьхьаваьлла, цо лаьттаца дӀашарвина со. Боданехь Ӏойту цо со, дуккха а хьалха белларш санна.</verse>
				<verse number="4">Суна чохь долу са эшна ду, сан дог шелделла ду.</verse>
				<verse number="5">Суна дагадогӀу дӀаихна денош, Хьан массо а гӀуллакхех ойла йо ас, Хьан куьйгаша динарг дагалоцу ас.</verse>
				<verse number="6">Хьоьга сайн куьйгаш кховдадо ас, хьагделла латта санна, Хьоьга сатесна ду сан са.</verse>
				<verse number="7">Жоп лохьа суна хӀинцца, Веза Эла! Сан са кхачош ду. Хьайн юьхь сох къайла ма яккхахьа, коша чу боьлхучарах со тар ца валийта.</verse>
				<verse number="8">Ӏуьйранна Хьайн безамах дерг хазийтахьа суна, хӀунда аьлча Хьох тешна Ӏаш ву со. Со дӀаваха веза некъ гайтахьа суна, хӀунда аьлча сан са Хьоьга сатуьйсуш ду.</verse>
				<verse number="9">Веза Эла, сан мостагӀех кӀелхьарваккхахьа со! Хьоьга лар ма войту аса со.</verse>
				<verse number="10">Хьо сан Дела хиларна, Хьайн лаам кхочушбан Ӏамавехьа со. Хьан дикачу Сино шерачу лаьтта тӀехула вуьгийла со.</verse>
				<verse number="11">Хьайн цӀеран дуьхьа, Веза Эла, сан дахар кхоадехьа. Айхьа нийсо лелорна, баланах хьалхардаккхахьа сан са.</verse>
				<verse number="12">Хьайн соьга болчу хедар боцучу безамца сан мостагӀий хӀаллакбехьа, сан синна ницкъ бийраш дакъазабахахьа, хӀунда аьлча со — Хьан ялхо ву.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="143">
				<verse number="1">Даудан назма. Декъала ву Веза Эла, Иза сан тарх ю. Цо тӀамана кечвина со, сан куьйгаш лата Ӏамийна.</verse>
				<verse number="2">Суна тешаме Верг, сан ГӀап, сан къайлаволу Меттиг, со КӀелхьарвоккхург, сан турс — сан Цунах дегайовхо ю. Цо сан куьйга кӀел даладо сан халкъ.</verse>
				<verse number="3">Веза Эла! Мила ву стаг, Ахь цуьнан гӀайгӀа бан, адамийн кӀант тергал хӀунда во Ахьа?</verse>
				<verse number="4">Адам хьоькхучу махах тера ду, цуьнан дахар а дацлуш долу ӀиндагӀ ду.</verse>
				<verse number="5">Веза Эла! Хьайн стигалш дӀаса а таттий, чувоссахьа. Лаьмнех хьакхалохьа, тӀаккха цара кӀур тосур бу.</verse>
				<verse number="6">Стелахаьштиг тохий, мостагӀий дӀасакхиссахьа, Хьайн пхерчий а тохий, лахкахьа уьш.</verse>
				<verse number="7">Лакхара Хьайн куьг а кховдадай, буьрсачу хих а, хийрачу махкара болчу нехан карара а кӀелхьарваккхахьа со.</verse>
				<verse number="8">Церан баганаша даьссаниг дуьйцу, стаг Ӏехош ду церан куьйгаш.</verse>
				<verse number="9">Дела! Итт мерз болчу пондар тӀехь керла йиш локхур ю ас Хьуна,</verse>
				<verse number="10">паччахьашна толам лучу Хьуна, Хьайн лай Дауд дерачу туьрах кӀелхьарвоккхучу Хьуна.</verse>
				<verse number="11">Хийрачу махкара болчу нехан карара кӀелхьарваккхахьа со. Церан баганаша даьссаниг дуьйцу, стаг Ӏехош ду церан куьйгаш.</verse>
				<verse number="12">Ондачу диттех тера хуьлда вайн кӀентий, паччахьан цӀа чохь кечдинчу бӀогӀамех тера хуьлда вайн мехкарий.</verse>
				<verse number="13">Ялта Ӏалашдеш йолу чоьнаш мел долчу беркатах юьзна хуьлда вайн, дежийлашкахь эзарнаш уьстагӀий дебийла вайн.</verse>
				<verse number="14">Хьийкъина хуьлда вайн стерчий. Тхуна тӀелатар ма хуьлда, цхьа а йийсаре а ма вуьгийла. Вайн урамашкахь белхар ма хуьлда.</verse>
				<verse number="15">Ирс долуш ду и дерриг а долу халкъ. Ирс долуш ду Веза Эла Дела волу халкъ.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="144">
				<verse number="1">Даудан хастаман назма. А с хастор ву Хьо, сан Паччахь волу Дела. Хьан цӀе декъалйийр ю ас массо а хенахь.</verse>
				<verse number="2">Б илггал, хӀора дийнахь Хьо декъал а веш, Хьан цӀе хестор ю ас ерриге а тӀейогӀучу хенахь.</verse>
				<verse number="3">В еза Эла сийлахь ву, Иза хасто хьакъ ву, Цуьнан сийлаллех дерг хуур дац.</verse>
				<verse number="4">Г уттар а тӀаьхьено тӀаьхьенна Хьан гӀуллакхаш а хестор ду, цара Хьан ницкъах лаьцна а дуьйцур ду.</verse>
				<verse number="5">Д уьйцур ду аса Хьан доккхачу сийлаллин барамах. Хьан инзаречу гӀуллакхех лаьцна ойла йийр ю ас.</verse>
				<verse number="6">Е рриге а тӀейогӀучу хенахь Хьан инзаречу гӀуллакхийн нуьцкъалаллех дуьйцур ду наха, ткъа ас Хьо сийлахь хилар кхайкхор ду.</verse>
				<verse number="7">З урма а локхуш, Хьан нийсо хастор ю, Хьан сийлахьа дикалла а ойур ю цара.</verse>
				<verse number="8">И штта дика ойла йолуш а, къинхетаме а ву Веза Эла, атта оьгӀаз а ца воьдуш, боккха безам а болуш.</verse>
				<verse number="9">К ъинхетаме ву Веза Эла дерриге а Ша кхоьллинчуьнца. Массаьрца а дика ву Иза.</verse>
				<verse number="10">Л аьттара Ахьа мел кхоьллинчо хеставо Хьо, Веза Эла, Хьуна тешамечу наха декъалво Хьо.</verse>
				<verse number="11">М ел дукха дуьйцур ду цара Хьан нуьцкъалаллех лаьцна, Хьан паччахьаллин сийлаллех лаьцна а кхайкхор ду цара,</verse>
				<verse number="12">Н ахана массарна а Хьан ницкъ а, Хьан паччахьаллин сийлалла а довзийта.</verse>
				<verse number="13">О лалла Хьан хедар доцу олалла ду, Хьан паччахьалла тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка ду. П айде ду Цуьнан массо а дешнех тешар. Дерриге а Шен гӀуллакхашкахь тешаме ву Иза.</verse>
				<verse number="14">С еттинарш гӀиттабо Везачу Эло, ткъа гӀорасиза бисинчарна гӀо до Цо.</verse>
				<verse number="15">Т ап-аьлла массеран а бӀаьргаш Хьуна тӀе хьажийна бу, Ахь царна шен хеннахь кхача ло.</verse>
				<verse number="16">У ьш массо а вузаво Ахь, Хьайн куьйгаш схьадиллича.</verse>
				<verse number="17">Х ьо массо а некъаш тӀехь нийса ву, Веза Эла, массо а гӀуллакхаш тӀехь безаме а ву.</verse>
				<verse number="18">Ц Ӏеначу даггара Шега кхойкхучарна, массарна уллохь ву Веза Эла.</verse>
				<verse number="19">Ч ӀогӀа ларам Шега болчеран лаам Цо кхочушбо, церан мохь а хезий, уьш кӀелхьарбоху.</verse>
				<verse number="20">Ш а везаш берш Ӏалашбо Везачу Эло, ткъа харцо лелораш массо а хӀаллакбо.</verse>
				<verse number="21">Ӏ аббалц ас Везачу Элана хастам бийр бу. ХӀораммо а Цуьнан еза цӀе хестайойла массо а хенахь.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="145">
				<verse number="1">Хастам бу Везачу Элана! Сан са, хаставе Веза Эла.</verse>
				<verse number="2">Со мел веха, Везачу Элана иллеш эр ду ас, иштта сайн Далла хастамаш беш а хир ву со, айса хан мел йоккху.</verse>
				<verse number="3">Элех теший ма Ӏелаш, адамах бӀобулий ма хилалаш, хьо кӀелхьарваккха йиш ма яц церан.</verse>
				<verse number="4">Шена чуьра са дӀадаьлча, стаг лаьтте воьрзу. Цу дийнахь цуьнан дог-ойланаш а дӀайовлу.</verse>
				<verse number="5">Ирс долуш ву шен гӀоьнча Якъубан Дела верг, шен Везачу Делах бӀобулуш верг.</verse>
				<verse number="6">Цу Дала кхоьллина стигал а, латта а, хӀорд а, царна чохь мел дерг а. Цо гуттар а ларбо тешам,</verse>
				<verse number="7">халахетар хиллачарна гӀо до, мецачарна кхача ло. Везачу Эло тутмакхаш мукъабоху,</verse>
				<verse number="8">Везачу Эло бӀаьрзечарна са гойту, Везачу Эло дахаран халонаша охьатаӀийнарш дӀанисбо, Везачу Элана Делан лаамехь берш беза.</verse>
				<verse number="9">Везачу Эло тӀебаьхкина нах Ӏалашбо, буона а, йисна Ӏачунна а гӀо до, харцо лелош болчеран некъ бухахьабоккху.</verse>
				<verse number="10">Веза Эла гуттар а паччахьалла деш хир ву, хьан Дела, ва Цийон, тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашкахь Паччахь хир ву. Везачу Элана хастам бе.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="146">
				<verse number="1">Везачу Элана бу хастам! ХӀаъ, ма дика ду вайн Далла назма алар! ХӀаъ, ма тамехь а, оьзда а ду Иза хастор!</verse>
				<verse number="2">Веза Эла Ярушалайм дӀахӀоттош ву, махках баьхна исраилхой схьагулбеш ву.</verse>
				<verse number="3">Дог доьхначарна дарба деш ву Иза, церан чевнаш йоьхкуш ву.</verse>
				<verse number="4">Седарчийн дукхалла билгалйоккху Цо, царна массарна а шайн цӀераш ло Цо.</verse>
				<verse number="5">Сийлахь ву вайн Хьалдолу Эла, Ӏаламат боккха бу Цуьнан ницкъ, барам бац Цуьнан хьекъалан.</verse>
				<verse number="6">Шаьш лахара хеташ берш хьалаойу Везачу Эло, ткъа Ӏесанаш лаьтта кхаччалц охьатаӀабо.</verse>
				<verse number="7">Баркаллица Везачу Элана назманаш ала. Вайн Далла дечиг-пондарш тӀехь эшарш лакха.</verse>
				<verse number="8">Цо стигал мархашца дӀакъовлу, лаьттана догӀа хуьлуьйту, гунаш тӀехь буц хьалайолуьйту.</verse>
				<verse number="9">Цо бежанашна кхача латтабо, уьш кхайкхича, къийган кӀорнешна а юург ло.</verse>
				<verse number="10">Гила-динан ницкъах дезар а ца оьцу Везачу Эло, тӀемалойн майраллех зовкх а ца хьоьгу Цо.</verse>
				<verse number="11">Мелхо а, Цунна хьалха ларамах буьзнарш а, Цуьнан безаме сатуьйсурш а Цунна тамехь бу.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="147">
				<verse number="1">	 Хаставе, Ярушалайм, Веза Эла, хаставе, Цийон, хьайн Дела,</verse>
				<verse number="2">хӀунда аьлча Цо хьан кевнийн гӀораш чӀагӀдо, хьуна чуьра хьан халкъ декъалдо.</verse>
				<verse number="3">Хьан дозанашкахь машар а латтабо, уггар тоьллачу кӀенаца хьо Ӏаба а йо Цо.</verse>
				<verse number="4">Шен омра лаьтта тӀе хьажадо Цо, Цуьнан дош цига сиха доьду.</verse>
				<verse number="5">ЮргӀа санна, ло охьадуьллу Цо, чим санна, йис дӀасакхуьссу.</verse>
				<verse number="6">ЖагӀа санна йолу къора туху Цо. Цуьнан шелонна дуьхьал мила латталур ву?</verse>
				<verse number="7">Цо Шен дош дахийтича, дерриг а дешна дӀадер ду. Цо мох тоьхча, хиш дӀадуьйлалур ду.</verse>
				<verse number="8">Цо Шен дош Якъубан тӀаьхьенна довзийтина, Шен парзаш а, тӀедехкинарш а — Исраилан халкъана.</verse>
				<verse number="9">И саннарг Цо кхечу халкъашна ца дина, царна ца девза Цо тӀедехкинарш. Хастам бу Везачу Элана!</verse>
			</chapter>
			<chapter number="148">
				<verse number="1">Хастам бу Везачу Элана! Хаставейша Веза Эла стигалшкара, хаставейша Иза стигалан лакхенашкара.</verse>
				<verse number="2">Хаставейша Иза Цуьнан дерриге а маликаша, хаставейша Иза Цуьнан дерриге а эскаро.</verse>
				<verse number="3">Хаставейша Иза малхо а, батто а, хаставейша Иза дерриге а лепачу седарчаша а.</verse>
				<verse number="4">Хаставейша Иза уггар лекхачу стигалша а, иштта хӀаваан тӀехула долчу хиша а.</verse>
				<verse number="5">Хастайойла цара Везачу Элан цӀе, хӀунда аьлча Цо омра дира, ткъа уьш кхоллаелира.</verse>
				<verse number="6">Абаденналц уьш дӀахӀиттийна Цо. Цкъа а дӀадовр доцу парз дина Цо.</verse>
				<verse number="7">Хаставейша Веза Эла лаьттара хьала, хӀорда чуьра саьрмикаша а, хин массо а кӀоргенаша а,</verse>
				<verse number="8">стелахаьштиго а, къорано а, лоно а, мархаша а, Цуьнан дош кхочушдеш болчу чехкачу мохо а,</verse>
				<verse number="9">лаьмнаша а, массо гунаша а, массо стом луш долчу дитташа а, дерриге баганан дитташа а,</verse>
				<verse number="10">акхароша а, муьлххачу даьхнино а, лаьттарчу текхаргаша а, тӀемаш долчу олхазарша а,</verse>
				<verse number="11">лаьттарчу паччахьаша а, массо а къаьмнаша а, элаша а, лаьттарчу массо а тхьамданаша а,</verse>
				<verse number="12">къонахоша а, йоӀарша а, баккхийчара а, бераша а.</verse>
				<verse number="13">Хастайойла цара Везачу Элан цӀе, хӀунда аьлча Цуьнан цхьаннан цӀе ю хьалаяьккхина, Цуьнан сийлалла ю лаьттана а, стигалшна а тӀехула.</verse>
				<verse number="14">Цо Шен халкъ, маӀа санна, нуьцкъала хилийтира, хастамаш бан бахьана хӀоттийра Шена тешаме мел болчарна — Шена уллора халкъ долчу исраилхошна. Хастам бу Везачу Элана!</verse>
			</chapter>
			<chapter number="149">
				<verse number="1">Хастам бу Везачу Элана! Лакха Везачу Элана керла эшар, хастам бу Цунна тешаме болчеран гуламехь.</verse>
				<verse number="2">Исраилан халкъ шаьш Кхоьллинчух даккхийдеш хуьлийла. Цийонан бахархой шайн Паччахьах баккхийбойла.</verse>
				<verse number="3">Хастайойла цара Цуьнан цӀе, хелха а бовлуш, локхийла цара Цунна эшарш, жиргӀанаш а тухуш, дечиг-пондарш тӀехь.</verse>
				<verse number="4">ХӀунда аьлча Везачу Эло Шен халкъах дезар оьцу. Мискачеран Цо сийдо уьш кӀелхьарбахарца.</verse>
				<verse number="5">Далла тешаменаш оцу сийлаллех баккхийбойла, шаьш бийшинчохь а уьш баккхийбойла.</verse>
				<verse number="6">Церан багахь Далла хастамаш хуьлийла, ткъа церан карахь шина а агӀор ира долу тур хуьлийла.</verse>
				<verse number="7">Кхечу халкъашна бекхам бархьама а, къаьмнашна таӀзар дархьама а хуьлийла иза.</verse>
				<verse number="8">Иштта церан паччахьаш, гӀоьмеш а тоьхна, набахти чу бохкархьама а, царна уллорачу хьалдолчу нахана буржалш тохархьама а хуьлийла иза.</verse>
				<verse number="9">Царна хьакъ доллу кхел ярхьама а хуьлийла иза. Цунна тешаме болчу массарна а иза сийлаллина хир ду. Хастам бу Везачу Элана!</verse>
			</chapter>
			<chapter number="150">
				<verse number="1">Хастам бу Везачу Элана! Хастамаш бе Шен дезачу цӀа чохь волчу Далла, хастамаш бе Шен ондачу стигалшкахь волчу Цунна.</verse>
				<verse number="2">Хастамаш бе Цунна Цуьнан сийлахьчу гӀуллакхийн дуьхьа, хастамаш бе Цунна Цуьнан чӀогӀачу возаллин дуьхьа.</verse>
				<verse number="3">Хастамаш бе Цунна турбин озаца, хастамаш бе Цунна тайп-тайпанчу мерз-пондаршца.</verse>
				<verse number="4">Хастамаш бе Цунна жиргӀанашца а, хелхаршца а, хастамаш бе Цунна дечиг-пондаршца а, шедагашца а.</verse>
				<verse number="5">Хастамаш бе Цунна шина а куьйгаца тӀедетташ долчу негӀаршца, хастамаш бе Цунна зевнечу цӀастанан негӀаршца.</verse>
				<verse number="6">Хаставойла Веза Эла садаӀар мел долчу хӀумано. Хастам бу Везачу Элана!</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="20">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">ХӀорш исраилхойн паччахь волчу Даудан кӀентан Сулим-паччахьан кицанаш ду.</verse>
				<verse number="2">Церан Ӏалашо ю адамаш хьекъалалле кхачийтар а, уьш Ӏамийна хилийтар а, иштта уьш хьекъалечу дешнех кхеташ хилийтар а.</verse>
				<verse number="3">Уьш яздина ду, адамашна кхетам а, нийсо а, бакъдерг а, догцӀеналла а Ӏаморхьама.</verse>
				<verse number="4">Уьш яздина ду боданечу нахана хьекъал далархьама а, ткъа къоначийн дика-вон къасто таро хилийтархьама а.</verse>
				<verse number="5">Хьекъал дерг ладугӀуш хуьлийла, шен хьекъал совдоккхуш а хуьлийла, ткъа кхетам болу нах шайн дахаран новкъахула дӀабуьгуш хуьлийла.</verse>
				<verse number="6">ХӀара дешнаш яздина ду, кицанаш а, хьекъале дийцарш а къастадайтархьама а, хьекъалчийн дешнех а, церан хӀетал-металех а кхетийтархьама а.</verse>
				<verse number="7">Кхетаме кхачархьама, адам уггар хьалха Везачу Эле ларамах дуьзна хила деза. Амма сонтачу адамаша дӀатотту хьекъалалла а, шаьш нисдар а.</verse>
				<verse number="8">ЛадогӀа, сан кӀант! Хьайн дас дечу хьехаре ладогӀа, нанас дина весеташ а дӀа ма татта,</verse>
				<verse number="9">хӀунда аьлча иза исбаьхьа таж ду хьан коьртана, хьан коча охка хаза туьтеш а ду.</verse>
				<verse number="10">Сан кӀант! Шайна тӀехь къинош долчу наха хьо шайна тӀеозавахь, къар ма ло.</verse>
				<verse number="11">Цара хьоьга иштта ала мега: «Вало тхоьца, цхьаннан цӀий Ӏано кӀелховшур ду вай. Цхьа а бахьана доцуш, бехк боцург вен кӀело йийр ю вай.</verse>
				<verse number="12">Эхарто дийна берш дӀакхалларе терра, кошо могуш берш хӀаллакбаре терра, вай дийна боллушехь дӀакхоллур бу уьш.</verse>
				<verse number="13">Ваьшна деза мел долу хӀума схьагулдийр ду вай, вешан цӀенош хӀонсах хьала а дузуш.</verse>
				<verse number="14">Тхох схьакхета, тӀаккха и хӀонс вовшашлахь цхьатерра йоькъур ю вай».</verse>
				<verse number="15">Сан кӀант, цу нахаца дӀа ма гӀолахь, церан лорах дӀавахарх ларлолахь,</verse>
				<verse number="16">хӀунда аьлча церан когаш вониг долчу дӀауьдуш бу, уьш цӀий Ӏано сихбелла а бу.</verse>
				<verse number="17">Олхазарийн бӀаьргашна хьалха речӀа хӀоттор эрна ду —</verse>
				<verse number="18">амма уьш санна болу нах шаьш-шайн цӀий Ӏанорна кӀелховшу, шайн дахарна кӀело а йо цара!</verse>
				<verse number="19">Иштта ду харцонца шена са лоьхуш мел волчун некъаш: и са шена йоккхуш волу хӀора а стаг шен дахарх вер ву.</verse>
				<verse number="20">КӀорггера хьекъалалла урамнекъашкахь кхойкхуш ду, цо майданашкахь шен аз ойу,</verse>
				<verse number="21">адам гулделлачу меттигашкахь а, гӀалин кевнна чуволучу меттехь а къамел до цо:</verse>
				<verse number="22">«Мел безар бу шуна, бодане адамаш, и бода? Мел ханна хир бу кхаьрдарш шайн кхардамах баккхийбеш? Мел хир бу хьекъал доцурш хаарш ца дезаш?</verse>
				<verse number="23">ТӀедерза ас шаьш нисдарна! Аса сайн дагахь дерг шуна хьоьхур ду, сайна хуург дерриг а шуна дӀалур ду.</verse>
				<verse number="24">Аса шуьга дуьйцура, амма аша соьга ла ца дуьйгӀира. Ас сайн куьг шуьга дӀакховдийра, амма соьга ладугӀуш стаг вацара.</verse>
				<verse number="25">Ас шайна дина хьехарш аша дӀатеттира, ас боху нисдар аша тӀе ца ийцира.</verse>
				<verse number="26">Цундела со а кхаьрдар ду шуна тӀедеанчу вонах, со доьлуш хир ду, шу Ӏадийна дӀахӀиттича —</verse>
				<verse number="27">шуна тӀе, йочана санна, даккхий зенаш даьхкича, шайтӀанан мох санна, шуна вон тӀедеача, шу гӀайгӀане, сингаттаме хилла, дӀахӀиттича.</verse>
				<verse number="28">ТӀаккха кхойкхур ду шу соьга, амма суна хезар дац. Массанхьа а со лохур ду аша, амма со карор дац шуна,</verse>
				<verse number="29">шуна хаарш ца дезна дела а, Везачу Эле ларамах дуьзна хила шуна ца лиъна дела а,</verse>
				<verse number="30">иштта ас шайна дина хьехарш аш дӀа ца эцна дела а, ас шайга мел белла тӀехбеттамаш дӀа а тоттуш.</verse>
				<verse number="31">И дерриг а бахьана долуш, цара шаьш дӀакхехьна болчу некъах бен пайда оьцур бац, шайн дагахь долчух бузур бу уьш.</verse>
				<verse number="32">Боданера нах хӀаллакьхуьлу, хьекъалаллех уьш дӀаберзарна. Сонтанаш бойъур бу, шаьш-шайх тоам бина уьш леларна.</verse>
				<verse number="33">Амма соьга ладоьгӀнарг, паргӀат а волуш, цхьана а агӀор кхерам а боцуш, вехар ву, зуламах а ца кхоьруш».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Сан кӀант! Ас хьайга мел бохург дӀаэца, ас хьайна дина хьехарш хьайгахь латтаде.</verse>
				<verse number="2">Хьекъалалле ладогӀа, цунах кхета а хьажа.</verse>
				<verse number="3">ХӀума къасто хаар деха хьайна, гӀуллакхах кхетархьама, хьайн аз айаде.</verse>
				<verse number="4">Ахьа хьекъалалла, дети санна, лахахь, дӀалачкъийначу хазнина санна, хьо цунна тӀаьхьаваьлла лелахь,</verse>
				<verse number="5">Везачу Эле болчу ларамах вуьзна хиларх хьо кхетар ву, Дела вовзар хӀун ду хьуна хуур ду.</verse>
				<verse number="6">ХӀунда аьлча Везачу Эло хьекъалалла а ло, хаар а, кхетам а Цуьнан багахула ара а болу.</verse>
				<verse number="7">Цо бакъахьа лелачунна ларвар латтадо, Иза кхачаме лелачарна турс санна ву.</verse>
				<verse number="8">Цо бакъдолчун некъаш лардо, иштта Шена тешаме болчийн тачанаш а Ӏалашдо.</verse>
				<verse number="9">ТӀаккха хьуна бакъдерг а, нийса дерг а, догцӀена дерг а девзар ду, иштта, муьлхха а дика некъ а бевзар бу.</verse>
				<verse number="10">Хьан даг чу хьекъалалла а дуссур ду, хаарша хьан синна хазахетар а лур ду.</verse>
				<verse number="11">ХӀума къасто хаарш хиларо хьо ларвийр ву, кхетамалло а хьуна ха дийр ду,</verse>
				<verse number="12">вочу стеган зуламечу некъех а, иштта харцдерг дуьйцучу стагах а хьо ларвархьама.</verse>
				<verse number="13">И нах, нийса некъаш а дитина, боданечу некъаш тӀехь лелаш бу.</verse>
				<verse number="14">Уьш, вониг шаьш дечу хенахь, сакъералуш хуьлу, боьха лелар а цара тӀетадо.</verse>
				<verse number="15">Церан некъаш гома ду, церан лелар дегаза ду.</verse>
				<verse number="16">Кхетамо хьо нахаца лелачу зудчух ларвийр ву. Иза, оьздангалла йоцуш а лелаш, шен мерзачу дешнашца хьо леван гӀерта.</verse>
				<verse number="17">Къона йолчу хенахь ша маре яхана волу стаг а витина, Далла хьалха ша тӀелаьцнарг кхочуш а ца деш, лелаш ю иза.</verse>
				<verse number="18">Цуьнан цӀа стаг Ӏожалле вуьгуш ду, цуьнан некъаша беллачу нахана тӀе кхачаво.</verse>
				<verse number="19">Иза йолчу чуваьлларг юха а ца воьрзу, иза кхечу дахаран новкъа а ца волу.</verse>
				<verse number="20">Цундела дикачу нехан новкъахула а лела, бакъахьа лелачеран некъаш а лаха,</verse>
				<verse number="21">хӀунда аьлча догцӀена берш лаьтта тӀехь бехар бу, кхачаме берш цу тӀехь буьсур бу,</verse>
				<verse number="22">амма Ӏеса нах лаьтта тӀера дӀахадор бу, Далла тешаме боцурш орамашца цу тӀера дӀабохур бу.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">Сан кӀант! Сан хьехам биц ма бе, сан весеташ хьайн даг чохь а латтаде,</verse>
				<verse number="2">хӀунда аьлча цара хьан дахаран денош дахдийр ду, дахарехь хьуна беркат а лур ду.</verse>
				<verse number="3">Безам а, тешаме хилар а хьох цкъа а дӀа ма доьрзийла. Хьайн логах уьш дӀа а хьарчаде, хьайн даг тӀехь уьш дӀа а язде.</verse>
				<verse number="4">ТӀаккха Дела а, нах а реза хир бу хьуна, цара хьо къобал а вийр ву.</verse>
				<verse number="5">Хьайн доллучу дагца Везачу Элах тешна Ӏаш хила. Хьайн долчу хьекъална тӀетевжаш а ма хила.</verse>
				<verse number="6">Айхьа дӀа мел кхоьхьуш долчу некъаш тӀехь Иза вовза, тӀаккха Цо хьан тачанаш нисдийр ду.</verse>
				<verse number="7">Хьайн хьекъалаллех тешна ма Ӏе, Везачу Эле ларамах вуьзна а хила, зулам дарх лар а ло.</verse>
				<verse number="8">Иштта лелар хьан дегӀана дарбане хир ду, цо хьан даьӀахкашка ницкъ юхабалор бу.</verse>
				<verse number="9">Везачу Элан сий де хьайн долахь мел долчуьнца. Айхьа мел бинчу белхан дуьххьарлерчу ялтица сий де Цуьнан.</verse>
				<verse number="10">ТӀаккха хьан кӀа чохь латтош долу цӀа тӀех дуьзна хир ду, ткъа керла чагӀар пхьегӀийн йистошкахула тӀехъоьхуш хир ду.</verse>
				<verse number="11">Сан кӀант, Везачу Эло хьо нисвар дӀа ма татта, Цо хьайна дечу таӀзарна аьрзнаш а ма де,</verse>
				<verse number="12">хӀунда аьлча Шена везаш верг нисво Цо, дас шена дукхавезаш волу кӀант нисваре терра.</verse>
				<verse number="13">Декъала ву хьекъалалла карийна волу стаг, кхетаме кхаьчна волу стаг.</verse>
				<verse number="14">ХӀунда аьлча хьекъалалла карадар дети карадарал а деза ду, ткъа цунах дешил а чӀогӀа боккха пайда болу.</verse>
				<verse number="15">Иза жовхӀарел а деза ду, хьуна мел дезачу хӀуманна юкъахь цуьнца дуста хӀума а дац.</verse>
				<verse number="16">Хьекъалаллин аьтту куьйгахь дахаран дуккха а шераш ду, ткъа аьрру куьйгахь — бахам а, сийлалла а ду.</verse>
				<verse number="17">Цуьнан некъаш ирсе некъаш ду, ткъа цуьнан массо а тачанаш машаре ду.</verse>
				<verse number="18">Иза дахаран дитт санна ду цунна тӀекхиа лууш болчарна. Цуьнан дола деш верг декъала хир ву.</verse>
				<verse number="19">Хьекъалаллица Везачу Эло латта дӀахӀоттийна, ткъа стигалш кхетамца чӀагӀйина Цо.</verse>
				<verse number="20">Шен хааршца Везачу Эло кӀорга хиш дӀа а хецна, мархашка чӀогӀа догӀа охьа а даийтийтина.</verse>
				<verse number="21">Сан кӀант! Хьекъалалла а, хӀума къасторан хьуьнар а Ӏалашде. Хьайна уллора уьш гена ма довлийта.</verse>
				<verse number="22">Уьш хьан синна дахар хилла дӀахӀуьттур ду, царах хьан вортанна жовхӀар а хир ду.</verse>
				<verse number="23">ТӀаккха хьайн некъа тӀехула кхерам боцуш дӀагӀур ву хьо, хьан ког а тасалур бац.</verse>
				<verse number="24">Хьо дӀавижча, хьуна кхерам хир бац, ткъа хьуна наб кхетча, иза синтеме а йийр ю ахьа.</verse>
				<verse number="25">Ма кхера цӀеххьана тӀебогӀучу бохамах я Ӏеса нах хӀаллакьхилар хилча,</verse>
				<verse number="26">хӀунда аьлча Веза Эла хир ву хьан гӀортор, Цо хьан ког гурах а ларбийр бу.</verse>
				<verse number="27">Шайна диканиг дан догӀучарна диканиг ца деш ма виса, иза дан хьайн таро елахь.</verse>
				<verse number="28">Хьайн уллорачуьнга ма ала: «Тахана дӀа а гӀой, юхавола, ас кхана лур ду ахьа дехнарг», нагахь санна цо доьхург хьайгахь делахь.</verse>
				<verse number="29">Хьайна уллорачунна ямартло ма е, хьох тешна иза хьуна уллохь Ӏаш волчу хенахь.</verse>
				<verse number="30">Бахьана доцуш стагаца дов ма даккха, цо хьайна вон ца динехь.</verse>
				<verse number="31">Къизалла лелош волчух ма хьега, цуьнан некъех хьайна цхьа а некъ ма харжа,</verse>
				<verse number="32">хӀунда аьлча мекара стаг дегаза хета Везачу Элана, ткъа Цо хама бо догцӀена болчийн.</verse>
				<verse number="33">Везачу Элан неӀалт ду Ӏесачун цӀенна тӀехь, амма бакъахьа лелачеран цӀа Цо декъалдо.</verse>
				<verse number="34">Кхечу нахах кхаьрдачех Иза а кхаьрда, амма ша кӀезиг хеташ Ӏаш волчунна Шен дика ло Цо.</verse>
				<verse number="35">Шайгахь хьекъалалла долчарна сийлалла кхочу, ткъа сонтачарна — юьхьӀаьржо.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">ЛадогӀа, сан кӀентий, шайн дас бечу хьехамашка, церан тидам а бе, кхетамах шаьш дузийтархьама,</verse>
				<verse number="2">хӀунда аьлча аса шуна динарг дика весет ду. Сан хьехамаш терго йоцуш ма биталаш.</verse>
				<verse number="3">Сайн ден кӀант со волчу хенахь, сайн ненан цхьаъ бен воцу, уггар а дукхавезаш волу кӀант со волчу хенахь,</verse>
				<verse number="4">сан дас суна хьоьхура. Цо соьга олура: «Хьан дагахь лаьттийла сан дешнаш, сан весеташка ла а дугӀуш, ваха.</verse>
				<verse number="5">Хьекъалалла а, кхетам а лаха. Ас бохург диц ма де, цунна тӀера а ма вала.</verse>
				<verse number="6">Хьекъалаллина букъ ма берзабе, тӀаккха цо хьо ларвийр ву. Хьекъалалла дезаш а хила, цо Ӏуналла дийр ду хьуна.</verse>
				<verse number="7">Уггар а коьртаниг хьекъалалла ду хьуна. Цундела иза лаха хьажа. ХӀуъа а хьо лаха гӀортахь — хьекъал каро гӀорта.</verse>
				<verse number="8">Хьекъалаллин лаккхара мах хадо хьажа, цо лакхавоккхур ву хьо. Хьо цуьнца хилахь, цо хьан сий хьалаойур ду.</verse>
				<verse number="9">Цо хьан коьрта тӀе исбаьхьа кочар туьллур ду, хьуна сийлаллин таж дӀакховдор ду».</verse>
				<verse number="10">ЛадогӀа соьга, сан кӀант, дӀалаца ас бохург, тӀаккха хьан дахаран шераш дуккха а хир ду.</verse>
				<verse number="11">Ас хьуна хьекъалаллин некъ гойту, нийсачу новкъахула дӀа а вуьгу хьо.</verse>
				<verse number="12">ХӀокху новкъахула дӀагӀо, хьуна новкъарло йийр яц. Хьо водуш велахь, хьан ког а тасалур бац.</verse>
				<verse number="13">Хьайна дина хьехарш дагахь латтаде, уьш дӀа а ма таса — цаьрца ду хьан дахар.</verse>
				<verse number="14">Ӏесачу нехан некъа тӀе а ма вала, вочу нехан леларх дӀа а ма тарло.</verse>
				<verse number="15">Бита и некъ, цунна тӀехь ма лела. Цунна юьстах а валий, уллохула тӀехвала.</verse>
				<verse number="16">Вочу нахана наб кхетар яц, шаьш зуламе дерг даллалц. Церан наб йовр ю, цара цхьаъ вожаваллалц.</verse>
				<verse number="17">Цара Ӏесаллин кхача а боу, къизаллин чагӀар а молу.</verse>
				<verse number="18">Хьаналчу нехан некъ сахилар санна бу. Дийнан серло мел лаьтта, тӀеттӀа серлаболу и некъ.</verse>
				<verse number="19">Ӏесачу нехан некъ Ӏаьржа бода санна бу, шайн ког стенах тасабелла а ца хаьа царна.</verse>
				<verse number="20">Сан кӀант, ас бохучун тидам бе, сан дешнашка дикка ладогӀа.</verse>
				<verse number="21">Хьайн бӀаьргашна хьалхара уьш дӀа ма довлийта, амма хьайн даг чохь латтаде уьш,</verse>
				<verse number="22">хӀунда аьлча дахар уьш карийначун хир ду, цуьнан дегӀ могуш а хир ду.</verse>
				<verse number="23">Уггар а коьртаниг — хьайн дог лардар ду, хӀунда аьлча цу чохь хьан дахаран шовда ду.</verse>
				<verse number="24">Хьайн баганца мекарниг ма дийца, хьайн матте харцдерг ма алийта.</verse>
				<verse number="25">Хьан бӀаьргаш нийсса хьалха дӀахьоьжуш хуьлийла, цӀоцкъамаш а нийсса хьалха дӀахьажийна хуьлийла.</verse>
				<verse number="26">Хьайн когашна хьалхара тача шарде, тӀаккха дерриг а хьан некъаш чӀогӀа хир ду.</verse>
				<verse number="27">Я аьтту агӀор а, я аьрру агӀор а дӀа ма верза, массо а хенахь зулам дарх а ларло.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">Сан кӀант! Тергал де сан хьекъале дешнаш, дикка ладогӀа сан кхетаме.</verse>
				<verse number="2">ТӀаккха оьзда муха лела веза хааро хьо ларвийр ву, ткъа хьан балдаша хьекъалалла Ӏалашдийр ду.</verse>
				<verse number="3">Нахаца лелаш йолчу зудчун багара долу дешнаш мазал мерза а хуьлу, цо бохуш дерг даьттанал кӀеда а хуьлу,</verse>
				<verse number="4">амма тӀаьххьара а иштта йолу зуда, сагал-буц санна, къаьхьа хуьлу, шинна а агӀор ирдинчу туьрал а ира хуьлу.</verse>
				<verse number="5">Иза Ӏожаллин новкъахула йоьду, цуьнан гӀулчаш эхарта кхочу.</verse>
				<verse number="6">Дахаран некъах лаьцна ойла ца йо цо, шен некъ гамбелла хилар даре ца до.</verse>
				<verse number="7">Ткъа хӀинца, сан кӀант, соьга ла а догӀа, ас бохучунна тӀера а ма вала.</verse>
				<verse number="8">Цу зудчунна генавала, цуьнан хӀусаман неӀарна улло а ма гӀорта,</verse>
				<verse number="9">хьайн доьналла кхечарна ца кхачийтархьама а, хьайн дахаран шераш къизачеран кара ца дахийтархьама а.</verse>
				<verse number="10">Хьан бахам кхечарна кхочур бу, ахьа мел гулдинарг хийрачу нехан кара а гӀур ду.</verse>
				<verse number="11">Хьан дахаран чаккхенгахь ахьа узарш дийр ду — хьайн дегӀа чуьра гӀора дӀадаьллачул тӀаьхьа.</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха ахьа эр ду: «ТаӀзар суна ма ца дезара! Со нисварх сан дог ма долура!</verse>
				<verse number="13">Суна ца лаьара сайн хьехархойн аз хаза, цара бохучуьнга аса ла а ца дугӀура.</verse>
				<verse number="14">Цхьана маьӀӀаргона сан дахар кхоччуш дакъазадолура берриг а гуламна хьалха!»</verse>
				<verse number="15">Хьайн гӀу чуьра мала хи — хьайн хьостана чуьра арадолуш долу хи.</verse>
				<verse number="16">Хьан хьостанийн хи урамнекъашкахула дӀасадаржа деза те? Хьан хиш майданашкахула дӀасадаржа деза те?</verse>
				<verse number="17">И хи хьайн долахь хилийта, кхечун долахь а ца хуьлуьйтуш.</verse>
				<verse number="18">Декъала хуьлийла хьан хин хьоста. Хьо жима волчу хенахь айхьа ялийначу зудчуьнца зовкх хьоьгийла ахьа.</verse>
				<verse number="19">Иза, лу санна, исбаьхьа ю, сай санна, хаза а ю. Цуьнан накхоша Ӏабавойла хьо муьлххачу а хенахь, цуьнан безамо дӀалаьцна хуьлийла хьо даим.</verse>
				<verse number="20">Сан кӀант, кхечун зудчо дӀалаьцна хӀунда хир вара хьо? Нехан зудчун накхош ахь хӀунда марадухкур дара?</verse>
				<verse number="21">Везачу Элан бӀаьргашна хьалха лаьтташ ду стеган некъаш, адамо мел бо некъ толлу Цо.</verse>
				<verse number="22">Ӏеса стаг шен къинойн гуро дӀалоцу, цара иза, буржалш тоьхча санна, латтаво.</verse>
				<verse number="23">Цо хьехам тӀе ца эцарна, иза лийр ву. Шен сонталла йоккха хиларна, иза тиларчу гӀур ву.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="6">
				<verse number="1">Сан кӀант! Нагахь санна ахьа кхечу стагах жоп деллехь, нагахь санна куьг Ӏовдарца ахь цунах дош деллехь,</verse>
				<verse number="2">ахьа хьайн дешнех хьайна гур боьгӀнехь, ахьа-айхьа аьллачо хьо дӀалаьцнехь,</verse>
				<verse number="3">хьо мукъавалархьама хӀара де, сан кӀант, хьайн уллорачун кара хьо вахана дела. Ваха а гӀой, хьо юьхьӀаьржачу хӀотта, айхьа дош делла волчу стаге дехар де, хьо цу дашах мукъаваккха алий.</verse>
				<verse number="4">Хьайн бӀаьргашка наб а ма яйта, цаьрга са а ма даӀийта.</verse>
				<verse number="5">Цу гурах мукъа а валий, таллархочух сай санна, дӀакъахка. РечӀанна чуьра мукъадолу олхазар санна, кӀелхьарвала.</verse>
				<verse number="6">Зингат долчу гӀо, малонча, цо деш долчуьнга а хьажий, хьекъалалла долуш хила.</verse>
				<verse number="7">Цуьнан я хьаькам а вац, я хьалхаваьлла лелаш верг а вац, я олахо а вац,</verse>
				<verse number="8">амма аьхка цо шена рицкъа Ӏалашдо, ялта чудерзочу хенахь цо шена кхача гулбо.</verse>
				<verse number="9">Мел Ӏуьллур ву хьо, малонча, вижина? Маца вер ву хьо наб йина?</verse>
				<verse number="10">«Жимма вижина Ӏуьллур ву со, — боху малончо, — жимма садоӀуш Ӏийр ву, жимма, куьйгаш тӀекӀел а дехкина, Ӏуьллур ву».</verse>
				<verse number="11">Амма, къу санна, хьо волчу еана схьакхочур ю къелла. Хьан эшар, талорхо санна, деана тӀекхочур ду хьуна.</verse>
				<verse number="12">Мекара хӀилланча волу стаг, харцдерг а дуьйцуш, вон бага а лееш, лела.</verse>
				<verse number="13">Цо бӀаьргаш а теӀабо, хичаш а йо, куьйган эшарехь къамел а до, нах лебан гӀерташ.</verse>
				<verse number="14">Цуьнан даг чохь ямартло ю. Иза массо а хенахь вон ойланаш еш хуьлу, нехан барт а бохош.</verse>
				<verse number="15">Амма цӀеххьана цунна тӀе бохам кхочур бу. Цу сохьта, дарба а хир доцуш, чӀогӀа кӀелвуьсур ву иза.</verse>
				<verse number="16">Везачу Элана ца дезаш ялх хӀума ду, аьлча а, ворхӀ ду Цунна дегаза хетарг:</verse>
				<verse number="17">кура бӀаьргаш а, харцдерг дуьйцу мотт а, бехк боцучун цӀий Ӏенош долу куьйгаш а,</verse>
				<verse number="18">шена чохь вон дагалецамаш болу дог а, вочу хӀуманна тӀебовда кийча болу когаш а,</verse>
				<verse number="19">кхел ечу хенахь аьшпаш буьттуш волу харцтеш а, вежаршна юкъахь дов латтош волу стаг а.</verse>
				<verse number="20">Сан кӀант! Хьайн ден весеташ ларде, ненан хьехамаш дӀа а ма татта.</verse>
				<verse number="21">Уьш даим хьайн дагах дӀа а дехка, хьайн коча дӀа а хьарчаде.</verse>
				<verse number="22">Хьо новкъа ваьлча, цара хьуна тӀехь куьйгалла дийр ду. Хьо дӀавижча, цара хьо ларвийр ву. Хьо самаваьлча, уьш хьох дагабевр бу.</verse>
				<verse number="23">Хьан ден-ненан весеташ — хьуна некъ гойтуш йолу серло ю. ТӀехтохаман нисваро дахаран новкъа воккху хьо.</verse>
				<verse number="24">Церан хьехамаша хьо, нахаца лелаш йолу зуда йолчу воьдуш, сацаво, шен майра а витина, лелаш йолчу зудчун хазачу хабарех лар а во.</verse>
				<verse number="25">Цуьнан хазалле хьайн дог ле ма дайта, цуьнан бӀаьргашка хьо йийсаре а ма вигийта,</verse>
				<verse number="26">хӀунда аьлча кхахьпанан мах баьпкан юьхканчул бен бац, амма нехан долахь йолу зуда бахьана долуш хьо хьайн дахарх а вала тарло.</verse>
				<verse number="27">Цхьаьнгге а шен четахь догуш долу хаьштиг латталур дуй, шена тӀера коч а ца ягош?</verse>
				<verse number="28">Цхьа а стаг догуш долчу кӀегашна тӀехула лелалур вуй, шен когаш а ца багош?</verse>
				<verse number="29">Изза хир ду кхечун зуда йолчу оьхучунна а: цунах дӀа ца къаьхкинарг таӀзар ца хуьлуш вуьсур вац.</verse>
				<verse number="30">Къуьне цабезам ца кхоллало, цо, меца хиларна шен гай дузорхьама, хӀума лачкъийча.</verse>
				<verse number="31">Амма схьалаьцначул тӀаьхьа, цо ворхӀазза дукха юхадала деза, шен цӀийнан берриг а бахам дӀабала цуьнан дезахь а.</verse>
				<verse number="32">Шен йоцучу зудчуьнца лелачун кийрахь дог дац, цу тайпана лелаш волчо шен са а хӀаллакдо.</verse>
				<verse number="33">Еттар а, юьхьӀаьржачу хӀоттар а кхочур ду цуьнга, цуьнан эхь цкъа а дӀадайина хир дац.</verse>
				<verse number="34">Нахаца лелаш йолчу зудчун майра дарлур ву, бекхам бечу дийнахь цо шен мостагӀчух къинхетам бийр бац.</verse>
				<verse number="35">Цхьа а гӀуда цо дӀаоьцур дац. Шена ло совгӀат мел доккха делахь а, иза товр дац цунна.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="7">
				<verse number="1">Сан кӀант! Сан дешнаш ларде, сан весеташ дагахь латтаде.</verse>
				<verse number="2">Сан весеташ ларде, тӀаккха хьо вехар ву. Сан хьехамаш, йоӀбӀаьрг санна беза а хеташ, Ӏалашбе.</verse>
				<verse number="3">Хьайн куьйган пӀелгех дӀадехка уьш, даг тӀехь дӀа а язде уьш.</verse>
				<verse number="4">Хьекъалалле ала: «Хьо сан йиша ю!» Цундела кхетам а хьайн гергара бу ала.</verse>
				<verse number="5">Цара ларвийр ву хьо хьайн йоцучу зудчух — эсалчу къамелашца левеш йолчу тилаеллачу зудчух.</verse>
				<verse number="6">Цхьана дийнахь со сайн цӀийнан корехула арахьоьжуш вара.</verse>
				<verse number="7">Боданечу нахана юкъахь, кегийчу нахана юкъахь, хьекъал доцуш волу цхьа жима стаг гира суна.</verse>
				<verse number="8">Иза, некъахула а вогӀуш, нахаца лелаш йолчу зудчун ураман маьӀигна улло а кхаьчна, цуьнан цӀенна тӀебоьду некъ боккхуш вара.</verse>
				<verse number="9">Малх дӀа а буьзна, суьйре тӀееанера, бода булуш бара.</verse>
				<verse number="10">Цу хенахь цунна дуьхьалйогӀуш яра и зуда. Цунна тӀехь кхахьпанан духар дара, иштта цуьнан къайлаха Ӏалашонаш а яра.</verse>
				<verse number="11">(Иза чӀогӀа аз долуш а, аьрха а ю, иштта ша хиларна шен цӀахь соцуш а яц.</verse>
				<verse number="12">Иза урамнекъашкахула а, майданашкахула а яьлла лелаш ю, некъийн хӀорра маьӀиг йолчуьра кӀело а еш.)</verse>
				<verse number="13">И жима стаг катоьхна схьа а лаьцна, цунна оба а яьккхина, нисса цуьнан бӀаьргаш чу а хьоьжуш, цо элира:</verse>
				<verse number="14">«Ас тахана бертан сагӀа даьккхина, сайна тӀедиллинарг кхочуш а деш. Со йолчохь оцу сагӀанах долу жижиг ду,</verse>
				<verse number="15">цундела со хьуна дуьхьал араяьлла. Хьо лоьхуш лелара со, ткъа хӀинца схьакарий суна хьо.</verse>
				<verse number="16">Ас сайн метта тӀе исхарш тесна. Мисар-махкара деана тайп-тайпанчу басахь долу кӀадеш ду уьш.</verse>
				<verse number="17">Аса сайн метта тӀе духӀиш а, сарап а, кхечу тайпана хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а тоьхна.</verse>
				<verse number="18">Вало, Ӏаббалц безаман кад муьйлур бу вайшимма! Вовшех марзо а оьцуш, сахиллалц Ӏийр ду вайшиъ,</verse>
				<verse number="19">хӀунда аьлча сан майра цӀахь вац: иза беха некъ бан араваьлла.</verse>
				<verse number="20">Цо шеца ахча чохь долу бохча схьаэцна, цундела иза бутт буьзча бен цӀа вогӀур вац».</verse>
				<verse number="21">Къарвечу дешнашца и жима стаг къарвира цу зудчо. Шен эсалчу къамелца иза цуьнга Ӏеха а велира.</verse>
				<verse number="22">Иза цу зудчунна тӀаьхьахӀоьттина вахара, урс хьакха дӀабуьгуш болу сту ма-баххара, гур чу воьду сонтаниг санна,</verse>
				<verse number="23">шен доӀахах суй санна кхуссу пха чекхбаллалц. Иза вара речӀанна тӀедоьдуш долу олхазар санна — иза ца кхетара шен дахар Ӏожаллин кхерамехь хиларх.</verse>
				<verse number="24">Ткъа хӀинца, сан кӀентий, соьга ла а догӀа, аса бохучун тидам а бе.</verse>
				<verse number="25">Ишттачу зудчун некъаш тӀе ма дерзийта шайн дегнаш, цуьнан некъаш тӀехь тиладелла ма лела.</verse>
				<verse number="26">Дуккха а нах цо эгийтина, цо хӀаллакбинарш барам боцуш бу.</verse>
				<verse number="27">Цуьнан цӀа — эхарте кхачаво некъ бу. Оцу некъо Ӏожаллин меттиге дӀавуьгу.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="8">
				<verse number="1">Хьекъалалла-м дац те и кхойкхург? Кхетам-м бац те, шен аз ойуш, кхойкхуш берг?</verse>
				<verse number="2">Иза лакхенашкахь дӀахӀутту, некъаш тӀехь, некъаш вовшахкхетачу меттехь.</verse>
				<verse number="3">Цо гӀалин кевнна уллохь кхойкху, неӀарна чуволучу меттехь:</verse>
				<verse number="4">«Шуьга кхойкху ас, дуьненан адамаш, массо а нахе кхойкхуш ду сан аз!</verse>
				<verse number="5">Хьекъал долуш хила Ӏама, бодане дерш. Кхетам болуш хила Ӏама, сонта берш.</verse>
				<verse number="6">ЛадогӀа, хӀунда аьлча ас ала кечдинарг коьртаниг ду, сан багахула арадовлу дешнаш — цӀеначу дагара ду.</verse>
				<verse number="7">Сан матто дӀаолуш дерг нийса дерг ду, ткъа харцдерг алар баганна юьхьӀаьржо ю.</verse>
				<verse number="8">Сан багахула арадолу массо а дош бакъ ду, цаьрца я ямартло а, я хӀилла а дац.</verse>
				<verse number="9">Кхетам берг цу дешнех дика кхета, иштта хаарш гулдинчунна а уьш нийса хета.</verse>
				<verse number="10">ДӀаэца сан хьехамаш детин метта, хаарш харжа цӀеначу дешин метта,</verse>
				<verse number="11">хӀунда аьлча хьекъалалла жовхӀарел а гӀолехь ду шуна, лууш долу цхьа а хӀума цуьнца дусталур дац шуна.</verse>
				<verse number="12">Соьгахь, хьекъалаллехь, хьекъал ду шуна, ткъа хаар а, къастор а карадо суна.</verse>
				<verse number="13">Везачу Эле ларамах вуьзна хилар — вониг цадезар ду. Суна иштта куралла а, ша лакхара хетар а ца деза, иштта вон некъаш а, харцдерг дуьйцуш йолу баганаш а ца еза суна.</verse>
				<verse number="14">Соьгахь хьехарш а, нийса долу хьекъал а ду. Сан хӀума къасто кхетам а бу, соьгахь ницкъ а бу.</verse>
				<verse number="15">Сан гӀоьнца паччахьаша шайн паччахьалла до, соьгахула куьйгалхоша нийсадерг билгалдоккху.</verse>
				<verse number="16">Сан гӀоьнца куьйгалла до элаша а, тхьамданаша а, иштта нийса кхел ечу массо а кхелахоша а.</verse>
				<verse number="17">Со дезарш суна а беза, со лохуш болчарна со карор а ду.</verse>
				<verse number="18">Соьгахь бу бахам а, сийлалла а, телхар йоцу хазна а, нийсо а.</verse>
				<verse number="19">Сан совгӀат уггар а цӀеначу дешил а деза ду, сох болу пайда цӀеначу детил а дукха бу.</verse>
				<verse number="20">Со нийсонан некъаш тӀехула лела, аса бакъдолчун тачанаш лоху.</verse>
				<verse number="21">Со дезачарна ас хьал ло, церан хӀусамаш ас хазнех хьалаюзу.</verse>
				<verse number="22">Юьхьанца, Ша дерриг а кхуллучу хенахь, Везачу Эло со, хьекъалалла, уггар а хьалха кхоьллина.</verse>
				<verse number="23">Со дӀахӀоттийнера азалехь дуьйна, юьхьанца, дуьне а кхоллале.</verse>
				<verse number="24">Со дуьнен чу даьллера, даккхий хӀордаш а хилале, иштта хи тӀехъоьху хьостанаш а хилале.</verse>
				<verse number="25">Со дуьнен чу даьлла, лаьмнаш а, гунаш а шайн-шайн меттигашка дӀахӀиттадале,</verse>
				<verse number="26">латта а, цуьнан аренаш а, ур-атталла лаьттан буьртигаш а Цо кхоллале.</verse>
				<verse number="27">Цо стигал шен метта дӀахӀотточу хенахь, со цигахь дара, Цо анайистана горга сиз а хьаькхна, боккха хӀорд кхуллучу хенахь а,</verse>
				<verse number="28">иштта мархаш лакхенгахь кхуллучу хенахь а, хӀорд чубутту хьостанаш шординчу хенахь а, со цигахь дара.</verse>
				<verse number="29">Ша омра динччул бен хьала а ца бузуш, Цо хӀордана шен йистош лучу хенахь а, лаьттан бух дӀахӀоттийначу хенахь а, со цигахь дара.</verse>
				<verse number="30">Со Цунна уллохь дара, говза пхьар санна. Веза Эла сох воккхавеш вара хӀора дийнахь, массо а хенахь сакъоьрура аса Цунна уллохь.</verse>
				<verse number="31">Цо кхоьллинчу дуьненах доккхадеш дара со, иштта Цо кхоьллина адамаш бахьана долуш а со доккхадеш дара.</verse>
				<verse number="32">Иштта, сан кӀентий, ладогӀа соьга. Декъала хир бу ас хьехначу некъашкахула леларш!</verse>
				<verse number="33">ЛадогӀа хӀокху хьехамашка, хила хьекъале, цунна уллора дӀа а ма довла.</verse>
				<verse number="34">Декъала ву соьга ладугӀуш верг, сема а волуш, хӀора дийнахь сан кевнехь а, сан неӀарна а уллохь ха деш лаьтташ верг.</verse>
				<verse number="35">Со мел карийначунна дахар карийна, Везачу Элера дика а хир ду цунна.</verse>
				<verse number="36">Соьга схьа ца кхаьчнарг шен синна бохам боккхуш ву. Хьекъалалла ца дезаш верг Ӏожалла езаш ву».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="9">
				<verse number="1">Хьекъалалло, шена цӀа а дина, ворхӀ бӀогӀам а хьаькхна, уьш дӀахӀиттийра.</verse>
				<verse number="2">Дийнатна урс а хьаькхна, чагӀар а доьттина, цо пхьор охьахӀоттийра.</verse>
				<verse number="3">ГӀалин уггар лекхачу меттера мохь туххуш дӀаалийта шен ялхой бахийтира цо:</verse>
				<verse number="4">«Бодане верг кхуза схьавола!» Хьекъалх эшна болчаьрга а боху цо:</verse>
				<verse number="5">«Схьадуьйла, даа сан бепиг, мала ас даьккхина долу чагӀар.</verse>
				<verse number="6">Дита шайн бодане лелар, тӀаккха шу дехар ду. Кхетамечу новкъахула лела дуьйлало».</verse>
				<verse number="7">Кхаьрдаш верг нисван гӀертахь, цо хьуна кхиссарш йийр ю. Ӏесачу стагана тӀехтохам бахь, цо хьо нахала воккхур ву.</verse>
				<verse number="8">Цундела нахах кхаьрдаш волчух бехк ма баккха — цуьнан хьоьга цабезам кхоллалур бу. Амма ахьа хьекъал дерг нисвахь, цуьнан хьоьца ларам хир бу.</verse>
				<verse number="9">Хьехар де хьекъал долчунна, цуьнан хьекъалалла кхин а совдер ду. ДогцӀена долу стаг Ӏамаве — цуьнан хаарш кхин а алссам хир ду.</verse>
				<verse number="10">Везачу Эле ларамах вуьзна хилар — иза хьекъалаллин юьхь ю, ткъа Веза Дела вовзар — иза кхетам бу.</verse>
				<verse number="11">Хьекъалалла долчу соьгахула хьан оьмар а яхлур ю, хьан дахаран шераш а совдевр ду.</verse>
				<verse number="12">Хьо хьекъале велахь, хьуна пайда бахьар бу оцу хьекъалалло, амма хьо кхаьрдаш велахь, оцу кхардаро хьуна зе дийр ду.</verse>
				<verse number="13">Сонталла чӀогӀа аз долуш йолу зуда санна ю. Иза бодане ю — цунна хӀумма а ца хаьа.</verse>
				<verse number="14">Шен цӀенна чуволучу меттехь, гӀалин уггар лекхачу меттехь, гӀанта тӀехь Ӏаш ю иза.</verse>
				<verse number="15">Цо шена уллохула тӀехбуьйлучу а, нийсса шайн новкъахула дӀабоьлхучу а нахе мохь бетта:</verse>
				<verse number="16">«Со йолчу схьавола, бодане волу массо а стаг!» — бохуш. Хьекъална кӀорге боцучаьрга а цо боху:</verse>
				<verse number="17">«Лачкъийна долу хи а мерза ду, къайлаха доу бепиг а мерза ду».</verse>
				<verse number="18">Ткъа царна ца хаьа, цуьнан цӀа чохь белла нах буйла а, цо схьакхайкхинарш беллачу нехан дуьнен чу биссина буйла а.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="10">
				<verse number="1">ХӀорш ду Сулиман кицанаш. Хьекъалечу кӀанта шен ден дог даккхийдедо, ткъа сонтачу кӀанта ненан дог дохадо.</verse>
				<verse number="2">Хьарам даьккхинчу ахчанах пайда ца болу, ткъа нийсоно Ӏожаллех кӀелхьарвоккху.</verse>
				<verse number="3">Хьаналчу стаге Везачу Эло мацалла хьоьгуьйтур яц, ткъа Ӏесачу нехан лаам Цо дӀатотту.</verse>
				<verse number="4">Мало ечу куьйгаша стаге къоьлла хӀоттайо, ткъа къахьоьгуш долчу куьйгаша хьал гулдо.</verse>
				<verse number="5">Аьхка ялта чудерзориг хьекъале кӀант ву, амма ялта чудерзочу хенахь вижина Ӏиллинарг эхье кӀант ву.</verse>
				<verse number="6">Декъала хилар хьаналчу нахаца ду, амма Ӏесачу стеган дешнаша нахана еш йолу къизалла къайлайоккху.</verse>
				<verse number="7">Дикачу стагах лаьцна диканна дагадогӀу, амма Ӏесачу стеган цӀе дӀаер ю.</verse>
				<verse number="8">Хьекъал долчо хьехамаш тӀеоьцу, ткъа сонта къамел дийраш хӀаллакьхир бу.</verse>
				<verse number="9">Нийса лелаш волчунна кхерам хир бац, ткъа шен некъаш талхош верг жоьпе озор ву.</verse>
				<verse number="10">Шен бӀаьргаш мекарлонца теӀабеш волчу стага бала бахьа, ткъа сонта къамел дийраш хӀаллакьхир бу.</verse>
				<verse number="11">Хьаналчу стеган дешнаш — дахаран хьоста ду, амма Ӏесачу стеган дешнаша нахана еш йолу къизалла къайлайоккху.</verse>
				<verse number="12">Цабезамо девнаш довлуьйту, амма безамо массо а зуламаш дӀахьулдо.</verse>
				<verse number="13">Къастош долчун багахь хьекъалалла карадо, ткъа гӀаж еттар хьекъал доцучун букъана лерина ду.</verse>
				<verse number="14">Хьекъалалла долчара хаарш лахьадо, ткъа сонтачара дуьйцучо бохам гергабалабо.</verse>
				<verse number="15">Хьалдолчун бахам — цуьнан чӀагӀйина гӀала ю, къен волчу стеган бала цуьнан къен хилар ду.</verse>
				<verse number="16">Хьаналчу нахана йогӀу ял дахар ду, Ӏесачу стеган кхиам къиношна тӀебоьрзу.</verse>
				<verse number="17">Шена бечу тӀехбеттаме ладугӀуш верг дахаран новкъахь ву, амма ша нис ца войтург тилавелла лела.</verse>
				<verse number="18">Шен цабезам къайлабохуш верг — аьшпаш буттург ву, ткъа эладита даржош верг сонта ву.</verse>
				<verse number="19">Дукха луьйш волчуьнгара гӀалат дала мега, амма шен бага сацо хууш верг хьекъал долуш ву.</verse>
				<verse number="20">Хьаналчу стеган дош цӀена дети ду, ткъа Ӏесачу стеган дог пайда боцуш ду.</verse>
				<verse number="21">Хьаналчу стеган дешнаша дуккха а нахана кхача ло, амма сонтанаш хӀаллакьхуьлу, шайн хьекъал ца тоарна.</verse>
				<verse number="22">Везачу Эло декъалваро хьал дахьа, ткъа къахьегаро цунна хӀумма а тӀе ца туху.</verse>
				<verse number="23">Сонтаниг вон леларх воккхавеш хиларе терра, хьекъал дерг хьекъалаллех воккхавоь.</verse>
				<verse number="24">Ӏеса стаг кхоьруш дерг цунна тӀедогӀур ду, ткъа хьаналчу стага сатуьйсуш дерг цунна хир ду.</verse>
				<verse number="25">ШайтӀанан мох хьаькхча — Ӏеса нах кхин бац, ткъа хьанал нах онддачу бух тӀехь лаьтташ бу.</verse>
				<verse number="26">Шен олахо малончо шагво, къонзано цергаш шагъяр санна я хьийзош болчу кӀуьро бӀаьргаш къийзор санна.</verse>
				<verse number="27">Везачу Эле ларамах вуьзна хиларо стеган денош дахдо, ткъа Ӏесачу нехан шераш дацдина хир ду.</verse>
				<verse number="28">Дикачу нехан сатийсам ирсе бу, ткъа Ӏесачу нехан дегайовхо кхочушхир яц.</verse>
				<verse number="29">Везачу Элан некъ кхачаме лелаш волчунна гӀап санна бу, амма харцонаш лелочарна и некъ бухур бу.</verse>
				<verse number="30">Хьанал нах цкъа а бегийна хир бац, амма Ӏеса нах дуьнен тӀехь буьсур бац.</verse>
				<verse number="31">Хьаналчу наха дуьйцург хьекъалалла ду, ткъа харц луьйш болчеран къамел сацор ду.</verse>
				<verse number="32">Дикачу нахана догӀу хӀума ала хаьа, ткъа Ӏесачу нахана дегаза хӀума ала бен ца хаьа.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="11">
				<verse number="1">Нийса ца узу терза Везачу Элана ца деза, ткъа нийса узуш долу терза Цунна тамехь ду.</verse>
				<verse number="2">Куралла йоьссича — юьхьӀаьржачу хӀутту, ткъа эсала болчаьрца хьекъалалла хуьлу.</verse>
				<verse number="3">Шайн хьаналло догцӀена берш дахаран новкъахула дӀабуьгу, ткъа шайн сийсаздаккхаро тешаме боцурш хӀаллакбо.</verse>
				<verse number="4">Бекхам бечу дийнахь хьоло гӀо дийр дац, амма нийсоно Ӏожаллех кӀелхьарвоккхур ву.</verse>
				<verse number="5">ДогцӀена болчеран нийсоно царна нийса некъ боккху, ткъа Ӏесачу нехан Ӏесалло уьш охьаоьгуьйту.</verse>
				<verse number="6">Бакъахьа лелаш верг шен нийсоно кӀелхьарвоккхур ву, амма мекарниг шен Ӏесачу лаамо дӀалоцур ву.</verse>
				<verse number="7">Ӏесачу стеган дӀакхалхарца цуьнан сатийсам а дӀаболу, иштта зуламе стаг хьоьжуш дерг а дӀадолу.</verse>
				<verse number="8">Дика стаг баланех кӀелхьарволу, цуьнан метта цу балано Ӏеса стаг дӀалоцу.</verse>
				<verse number="9">Шен къамелашца Ӏесачо шен уллорачунна бохам боккху, амма Делан лаамехь волу стаг шен хьекъалалло кӀелхьарвоккху.</verse>
				<verse number="10">Хьаналчу стеган аьтто хилча, ерриг а гӀала йоккхаеш хуьлу, ткъа Ӏесачу стеган валарх массарна а ловзар хуьлу.</verse>
				<verse number="11">Дикачу наха декъалъяр бахьана долуш гӀалин аьтто боккху, амма Ӏесачу нехан къамелашца гӀалина бохам боккху.</verse>
				<verse number="12">Хьекъал кӀезиг долчо шена уллораниг емалво, амма хьекъал долчо вист ца хуьлуш собардо.</verse>
				<verse number="13">Мотт бетташ лелачо шега дийцинарг дӀасадаржадо, амма тешаме волчо къайле дӀахьулйо.</verse>
				<verse number="14">Куьйгалла ца тоьуш хиларна, халкъ хӀаллакьхуьлу, амма хьехамчаш дукха хиларо халкъан аьтто боккху.</verse>
				<verse number="15">Шена бала бо кхечу стагах дош делла волчо, амма цу тайпана дош далар шена тӀе ца оьцуш волчунна кхерам бац.</verse>
				<verse number="16">Эсала йолчу зудчо шега ларам кхоллаболуьйту, ткъа къизачара шайна хьал гулдо.</verse>
				<verse number="17">Къинхетаме волчу стага шен дагна синхьаам хуьлуьйту, ткъа къизачу стага ша хӀаллакво.</verse>
				<verse number="18">Ӏесачу стага йоккху ял стаг левеш йоккху, амма, лаьтта тосу хӀу санна, нийсо тосучун совгӀат чӀогӀа лаьтта.</verse>
				<verse number="19">Нийсо леррина кхочушъечарна дахар карор ду, ткъа зуламаш лелочара шайна Ӏожалла лоьху.</verse>
				<verse number="20">Везачу Элана ца беза ямарта дог дерш, амма Иза воккхавоь кхоччуш цӀена лелаш болчарах.</verse>
				<verse number="21">Билггал бакъ ду, вон стаг таӀзар тӀе ца догӀуш вуьсург цахилар, амма дикачу нехан тӀаьхье кӀелхьарйоккхур ю.</verse>
				<verse number="22">Хьакхин мерах боллу дашо хӀоз санна ю, хаза а йолуш, хьекъал доцу зуда.</verse>
				<verse number="23">Хьаналчу нехан лаам кхочушхиларо дика кхин а алсамдоккху, амма Ӏесачу нехан сатийсам кхочушхиларо дералла яхьа.</verse>
				<verse number="24">Комаьрша волчунна кхин а алссам хӀума тӀедогӀу, амма сутара хиларо къоьлла тӀеялайо.</verse>
				<verse number="25">Комаьрша волчун аьтто боккхур бу, ткъа кхечунна хи малош волчунна а хи малор ду.</verse>
				<verse number="26">Шен долахь долу ялта шегахь сецош волчунна наха неӀалт олу, амма декъала хир ву ялта дӀадухкуш верг.</verse>
				<verse number="27">Дика дан кийча верг наха лору, амма вон деш волчунна иза шена юхадоьрзу.</verse>
				<verse number="28">Шен бахамах тешна верг вужур ву, амма диканиг, керла хьаладаьлла гӀа санна, хьалавер ву.</verse>
				<verse number="29">Шен доьзална бала бахьаш волчунна яьссалла кхочур ю, ткъа сонтаниг хьекъалалла долчун лай хилла лелар ву.</verse>
				<verse number="30">Делан лаамехь болчара кхиориг — дахаран дитт ду, хьекъалалла долчо адамийн синош тӀеозадо.</verse>
				<verse number="31">Лаьтта тӀехь а болуш, дикачу нахана царна догӀург луш хилча, Ӏеса а лелаш, къинош летош болчарна цул сов а иза лур ду.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="12">
				<verse number="1">Ша нисвар дезаш волчунна хаарш а деза, ткъа шена тӀехбеттам бар ца дезарг сонта стаг ву.</verse>
				<verse number="2">Дика стаг Везачу Эло ша декъалвар лохуш хуьлу, амма мекарчу стагана Цо кхел йийр ю.</verse>
				<verse number="3">Ӏесалло стаг чӀагӀвийр вац, амма Делан лаамехь волчун бух меттахбер бац.</verse>
				<verse number="4">Дика зуда шен майрачунна таж санна хуьлу, ткъа шен майра юьхьӀаьржачу хӀоттош ерг — цуьнан даьӀахкаш чохь телхина хӀума санна ю.</verse>
				<verse number="5">Дикачу нехан ойланаш нийса хуьлу, ткъа Ӏесачу нехан Ӏалашонаш ямарта хуьлу.</verse>
				<verse number="6">Ӏесачу наха бохург — цӀий Ӏано йина кӀело ю, ткъа бакъахьа лелачара олучо уьш кӀелхьарбоху.</verse>
				<verse number="7">Ӏесачу нахана тӀе бохам беанчул тӀаьхьа уьш кхин бац, амма дикачу нехан цӀа чӀогӀа лаьттар ду.</verse>
				<verse number="8">Стеган хьекъале хьаьжжина, иза хаста а во, амма ямарта дог долу стаг нахана ца веза.</verse>
				<verse number="9">Дагахь хӀума доцуш, цхьаъ бен ялхо воцуш волу стаг тоьлу, нахана ша чӀогӀа хьал долуш ву а моттуьйтуш, даа хӀума доцуш волчу стагал.</verse>
				<verse number="10">Дикачу стеган шен хьайбанех а дог лозу, амма Ӏесачу нехан доглазам а къиза бу.</verse>
				<verse number="11">Шен лаьтта тӀехь къахьоьгучун шортта таро хир ю, ткъа эрна хӀуманаш а лелош, хан йойуш верг хьекъал доцу стаг ву.</verse>
				<verse number="12">Ӏеса стаг хьоьгург вонаш лелочеран хӀонс ю, ткъа дикачу нехан орамо стом ло.</verse>
				<verse number="13">Шен харцдешнашца вочу стага шена кӀело йо, ткъа дика стаг баланех кӀелхьарвер ву.</verse>
				<verse number="14">Шен баганца аьллачуьнгахула стаг дикачух вузу, шен куьйгашца бинчу балхана йоггӀу ял а лур ю цунна.</verse>
				<verse number="15">Сонтачу стагана шен некъ дика хета, ткъа хьекъал долчу стага кхечеран хьехамашка ладугӀу.</verse>
				<verse number="16">Сонтачу стеган оьгӀазвахар цу сохьта гучудолу, ткъа хьекъал долчо шена йина вас гучу ца йоккху.</verse>
				<verse number="17">Тешамечу тешо бакъдерг олу, амма харц луьйш волчу стага бохург бакъ дац.</verse>
				<verse number="18">Ойла а ца еш, къамел дечун дешнаша, туьро санна, чов йо, амма хьекъал долчун дешнаша дарба до.</verse>
				<verse number="19">Бакъдолу дешнаш гуттаренна а хуьлу, ткъа харцдерг йоццачу ханна бен дац.</verse>
				<verse number="20">Вониг дан ойла ечеран дегнашкахь мекарло хуьлу, ткъа машар бан гӀерташ болчарна синкъерам хир бу.</verse>
				<verse number="21">Дикачу адамашна тӀе цхьа а бохам богӀур бац, ткъа Ӏеса нах вочу хӀуманех тӀехбуьзна хир бу.</verse>
				<verse number="22">Везачу Элана харцдерг дуьйцурш ца беза, ткъа бакъдерг леладечарна Иза реза ву.</verse>
				<verse number="23">Хьекъал дерг шен хаарш гучудаха ца гӀерта, ткъа сонтачо шен сонталла гучуйоккху.</verse>
				<verse number="24">Дукха къахьоьгург кхечарна тӀехь куьйгалла деш хир ву, ткъа малонча, лай санна, къахьоьгуш хир ву.</verse>
				<verse number="25">Сингаттамо адаман дог таӀадо, ткъа дикачу дашо иза самукъане до.</verse>
				<verse number="26">Дикачу стагана шена уллорачунна чул дика хир ду, ткъа Ӏеса стаг тилаво шен некъо.</verse>
				<verse number="27">Малончо шен ижу ца йотту, ткъа дукха къахьоьгуш волчунна шен бахам беза бу.</verse>
				<verse number="28">Делан лаамехь волчу стеган некъ дахарна тӀебоьду, цу некъа тӀехь Ӏожалла а яц.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="13">
				<verse number="1">Хьекъалечу кӀанта шен дас ша нисваран дикка тергам бо, ткъа кхаьрдаш волчо шена бечу тӀехбеттаме ла ца дугӀу.</verse>
				<verse number="2">Шен баганца аьллачуьнгахула стага пайда оьцу, ткъа мекара стаг къизалла ярх хьоьгу.</verse>
				<verse number="3">Шен бага сацо хууш волчо шен са лардо, ткъа, ойла а ца еш, луьйш волчу стагана тӀе зулам догӀур ду.</verse>
				<verse number="4">Малончин лаамаш кхочушхир бац, ткъа хьанал къахьоьгучун лаамаш кхоччуш Ӏаьбна хир бу.</verse>
				<verse number="5">Дикачу стагана харцонаш ца еза, ткъа Ӏесачу стага шена тӀе юьхьӀаьржо а, эхь а доуьйту.</verse>
				<verse number="6">Нийса леларо догцӀена стаг шен некъа тӀехь ларво, ткъа Ӏесалло къинош летош верг хӀаллакво.</verse>
				<verse number="7">Цхьаболчу наха, шайн долахь хӀумма а доццушехь а, шаьш хьоладай ду моттуьйту, ткъа вукхара шайгахь къоьлла ю моттуьйту, дуккха а хьал шайгахь делахь а.</verse>
				<verse number="8">Хьал долчу стеган шен дахар эца йиш ю, ткъа къечунах цхьаммо а мах боьхур бац.</verse>
				<verse number="9">Дикачу нехан серло синкъераме йогу, ткъа вочу нехан чиркх байина хир бу.</verse>
				<verse number="10">Шаьш лакхара хеташ болу нах бахьана долуш девнаш дуьйлу, ткъа хьехам тӀеоьцуш берш хьекъалалла долуш бу.</verse>
				<verse number="11">Букъ а ца лозуш доккхург дог а ца лозуш дӀадолу, ткъа къахьегарца жим-жима гулдина хьал дебар ду.</verse>
				<verse number="12">Сатийсам кхочушхила хьебелча, дог гӀайгӀане хуьлу, ткъа хьан сатийсам кхочушхилча, иза дахаран дитт санна денло.</verse>
				<verse number="13">Шена бина хьехам дӀатоттург жоьпе озор ву, амма весет лоруш волчунна ял хир ю.</verse>
				<verse number="14">Хьекъалалла долчун хьехамаш дахаран шовда ду, цара адамна гӀо дийр ду Ӏожаллин гурана генавала.</verse>
				<verse number="15">Хьекъал долчу стагаца нехан ларам хуьлу, ткъа тешаме боцучеран некъ хала бу.</verse>
				<verse number="16">Хьекъал долчо, ша цхьа хӀума дале, ойла йо, ткъа сонтачо шен сонталла нахана дӀагойту.</verse>
				<verse number="17">Геланча тешаме вацахь, цунах зулам долу, амма тешаме волчо машар бахьа.</verse>
				<verse number="18">ЮьхьӀаьржо а, къоьлла а хир ю тӀехбеттам тӀе ца оьцучу стагехь, амма ша нисвойтуш волчу стеган сий хир ду.</verse>
				<verse number="19">Лаам кхочушхилча, сакъерало. Вочу хӀуманах дӀакъастар сонтачунна дегаза хета.</verse>
				<verse number="20">Хьекъал долчаьрца юкъаметтиг лелош верг хьекъал долуш хир ву, амма сонтачаьрца гергарло лелош волчо шена тӀе бала бахьа.</verse>
				<verse number="21">Къинош леточарна вон тӀаьхьадаьлла лела, ткъа бакъахьа болчарна диканиг лур ду.</verse>
				<verse number="22">Дика стаг веллачул тӀаьхьа цуьнан бахам берийн берашна а кхочур бу, амма къинош летийначун хьал бакъахьарчун дуьхьа Ӏалашдеш ду.</verse>
				<verse number="23">Ур-атталла къечу стеган ахаза долчу лаьтто алссам ялта делча а, нийса ца леларо цуьнан хьал дӀадоккху.</verse>
				<verse number="24">Сара кхоабеш волчунна шен кӀант ца веза, амма шен кӀант везачо иза таӀзар дарца нисво.</verse>
				<verse number="25">Дикачу стага Ӏаббалц яа хӀума юур ю, ткъа Ӏесачу нехан кийрахь мацалла лаьттар ю.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="14">
				<verse number="1">Хьекъал долчу хӀора зудчо шен хӀусам дӀахӀоттайо, амма сонтачу зудчо шен куьйгашца иза йохайо.</verse>
				<verse number="2">Нийсачу новкъахула дӀавоьдург Везачу Эле болчу ларамах вуьзна хуьлу, амма харцнекъаш лелош схьабогӀучарна Иза дегаза хета.</verse>
				<verse number="3">Сонтачу стага бохург — шен кураллина таӀзар до гӀаж санна ду, ткъа хьекъал долчу стеган вистхиларо иза ларво.</verse>
				<verse number="4">Нагахь болх бан стерчий дацахь, хьаьвданаш даьсса хир ду, ткъа стерчийн ницкъах пайда эцаро шортта ялта лур ду.</verse>
				<verse number="5">Тешаме волчу тешо Ӏеха ца во, амма харцтешо аьшпаш бутту.</verse>
				<verse number="6">Кхаьрдачо хьекъалалла лоху, иза цунна кара а ца до, амма хьекъал долчу стагана хаарш атта карадо.</verse>
				<verse number="7">Сонтачу стагах къехкаш лела, цуьнан багара хаарш карор дац хьуна.</verse>
				<verse number="8">Хьекъалечу стеган хьекъалаллица цунна ша муха лела хаьа, амма сонтачу стеган сонталла — Ӏехор ю.</verse>
				<verse number="9">Сонта адамаш кхаьрда шайн къиношна гечдар лоьхучарах, ткъа догцӀена болчарна юкъахь вовшашна резахилар ду.</verse>
				<verse number="10">Адамна шена бен ца бевза шен даг чуьра бала, иштта цуьнан синкъераме хиларан бахьана а кхечунна хуур дац.</verse>
				<verse number="11">Ӏесачу стеган цӀа дакъазадер ду, ткъа догцӀена болчийн хӀусамаша заза доккхур ду.</verse>
				<verse number="12">Стагана нийса хеташ болу некъ хила мега, амма иза тӀаьххьара а Ӏожалле кхочу.</verse>
				<verse number="13">Стаг ша воьлучу хенахь а баланехь хила мега. Сакъерадалар дӀадолу, амма бала цунна буьсу.</verse>
				<verse number="14">Нийсачу новкъа тӀера дӀаваьлларг ша мел динчу вонах вузур ву, ткъа дикачу стагана ша леллачу некъана совгӀат дийр ду.</verse>
				<verse number="15">Сонтаниг шега мел аьллачух теша, ткъа хьекъале верг хӀорра а ша ечу гӀулчан ойла еш хуьлу.</verse>
				<verse number="16">Хьекъале стаг хӀуманах ларлуш а лела, вочух гена а волу, ткъа сонтаниг хьераваьлла а, шех тӀех тешаш а лела.</verse>
				<verse number="17">Сиха оьгӀазвоьдучо шегара гӀалат долуьйту, ткъа мекара стаг нахана ца веза.</verse>
				<verse number="18">Боданечу нахана сонталла кхочу, ткъа хьекъалечу нахана, таж санна, хаарш кхочу.</verse>
				<verse number="19">Вон нах дикачу нахана хьалха охьатеӀаш лелар бу, ткъа Ӏесачу наха хьаналчу нехан кевнашкахь гӀо доьхур ду.</verse>
				<verse number="20">Къен стаг шен уллорачарна а ца веза, ткъа хьалдолчу стеган дуккха а доттагӀий хуьлу.</verse>
				<verse number="21">Шена уллорачух ца вешачо къа латадо, ткъа къечаьрца къинхетаме верг декъала ву.</verse>
				<verse number="22">Вониг дан кечвелларг тилавелла ца вогӀу те? Амма диканиг дан кечвелларг безаме а, тешаме а ву.</verse>
				<verse number="23">Деш долчу муьлххачу а гӀуллакхо са яхьа, ткъа даьсса къамелаш къоьллина бен ца кхочу.</verse>
				<verse number="24">Хьекъале волчун таж — хьал ду, ткъа сонтачунна сонталла кхочу.</verse>
				<verse number="25">Бакъдерг дуьйцуш волчу тешо синош кӀелхьардоху, ткъа аьшпаш буттучу тешо Ӏехаво.</verse>
				<verse number="26">Везачу Эле ларамах вуьзна хиларо чӀогӀа маршо ло, стеган берашна иза дӀалечкъийла хир ю.</verse>
				<verse number="27">Везачу Эле ларамах вуьзна хилар дахаран хьоста санна ду, иштта цо Ӏожаллин гурах а ларво.</verse>
				<verse number="28">Халкъ алссам хилар паччахьан сийлалла ду, ткъа халкъ кӀеззиг хилар баьччанан докъазалла ю.</verse>
				<verse number="29">Собар долчу стагехь дуккха а хьекъал ду, ткъа оьгӀазъоьхучо шен сонталла гойту.</verse>
				<verse number="30">Эсалчу даго дегӀана дахар ло, ткъа адаме хьагӀ хиларо даьӀахкаш яхкайо.</verse>
				<verse number="31">Къечу стеган дог дохочо иза Кхоьллинарг ца лору, ткъа гӀо оьшучунна гӀо дийриг Цуьнан сийдеш ву.</verse>
				<verse number="32">Ӏеса стаг цо дина вонаш бахьана долуш дӀатоттур ву, ткъа дикачу стеган, шена Ӏожалла тӀехӀоьттича а, догдохийла ю.</verse>
				<verse number="33">Хьекъалалла хьекъал долчуьнгахь ду, цо сонтачарна юкъахь а ша гойту.</verse>
				<verse number="34">Нийсоно халкъан сий хьалаойу, амма къинош халкъан юьхьӀаьржо ю.</verse>
				<verse number="35">Шен хьекъалечу ялхошна паччахь резахуьлу, ткъа цуьнан оьгӀазалла эхье лелаш болчу ялхошна тӀейоьрзу.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="15">
				<verse number="1">Эсала жоп даларо оьгӀазвахар дӀадоккху, амма кӀоршамечу вистхиларо стеган дералла марсайоккху.</verse>
				<verse number="2">Хьекъалечу нехан къамело хааршна тӀекхачаран лаам ло, ткъа сонтачеран маттера сонталла бен ара ца йолу.</verse>
				<verse number="3">Везачу Элан бӀаьргашна муьлххачу а меттехь го, Цо тергам бо вочу а, дикачу а адаман.</verse>
				<verse number="4">Дарбане мотт — дахаран дитт ду, ткъа харц луьйш болчу матто адаман дог дохадо.</verse>
				<verse number="5">Сонтачо ша дас низаме валор дӀатотту, ткъа ша нисвойтуш верг хьекъале ву.</verse>
				<verse number="6">Дикачу стеган хӀусамехь йоккха хазна ю, ткъа Ӏесачу стага йоккхучу сано бала бахьа.</verse>
				<verse number="7">Хьекъалечу стага хаарш даржадо, ткъа сонтачу стагах лаьцна и саннарг ала йиш яц.</verse>
				<verse number="8">Везачу Элана Ӏесачу стага доккхуш долу сагӀа ца деза, амма догцӀеначун доӀане Цо резахиларца ладугӀу.</verse>
				<verse number="9">Везачу Элана ца деза Ӏесачу нехан некъаш, ткъа нийсачу новкъахула леларш Цунна беза.</verse>
				<verse number="10">Нийсачу новкъара дӀаваьллачунна чӀогӀа таӀзар дийр ду, ткъа ша нисвар ца дезаш верг лийр ву.</verse>
				<verse number="11">Эхартахь а, хӀаллакьхиллачийн дуьненахь а дерг Везачу Элана хууш хилча, адамийн дегнашна чохь дерг а къайлаха дац Цунна.</verse>
				<verse number="12">Нахах кхаьрдачунна ша нисвар ца деза, хьекъал долчарах дага ца волу иза.</verse>
				<verse number="13">Синкъерамечу даго стеган юьхь-сибат а синкъераме до, ткъа, дог баланехь хилча, са а сингаттаме хуьлу.</verse>
				<verse number="14">Хьекъалечу стеган дог хаарш лоьхуш хуьлу, ткъа сонтачун багано иза сонталлех вузу.</verse>
				<verse number="15">Къен стаг массо а хенахь гӀайгӀане хуьлу, ткъа самукъане дог долчаьргахь массо а хенахь той лаьтта.</verse>
				<verse number="16">КӀезиг хӀума а долуш, Везачу Эле болчу ларамах вуьзна хилар гӀоле ду, шортта хьал а долуш, гӀайгӀане хуьлучул.</verse>
				<verse number="17">Юкъахь безам а болуш, хасстоьмех йина яа хӀума яар гӀоле ду, цабезам кхоллабеллачохь ховха жижиг дуучул.</verse>
				<verse number="18">КӀоршамечу стага девнаш доху, ткъа собаре волчо дов дохадо.</verse>
				<verse number="19">Малончин некъ кӀохцалан керт санна бу, ткъа догцӀеначу стеган некъ шера бу.</verse>
				<verse number="20">Хьекъалечу кӀанта шен да воккхавоьйту, ткъа сонтаниг ненах ца вешаш лела.</verse>
				<verse number="21">Хьекъал доцург шен сонта леларх воккхавеш хуьлу, ткъа хьекъал дерг нийсачу новкъахула лела.</verse>
				<verse number="22">Дагавалар а доцуш дина гӀуллакх кхочушхир дац, ткъа хьехамчаш алссам а болуш динарг хилла дӀахӀуттур ду.</verse>
				<verse number="23">Ма ирсе хуьлу нийса жоп луш верг, мел дика хуьлу-кх шен меттехь аьлла дош а!</verse>
				<verse number="24">Хьекъалечу стеган некъ ирхенга, дахаре, боьдуш бу. Охьабоьдучу новкъара иза дӀавоьрзу, эхарта ца кхачархьама.</verse>
				<verse number="25">Курачеран цӀа Везачу Эло дохадо, амма йисина Ӏаш йолчу зудчун цӀа Цо лардо.</verse>
				<verse number="26">Вочу нехан ойланаш Везачу Элана ца еза, ткъа дика дешнаш Цунна тамехь ду.</verse>
				<verse number="27">Харц пайда лоьхуш волчо шен цӀа дакъазадоккхур ду, ткъа кхаьънаш ца дезарг вехар ву.</verse>
				<verse number="28">Дикачу наха шаьш жоп далале ойла йо, амма Ӏесачу нехан багара вониг долу.</verse>
				<verse number="29">Ӏесачу нахана генахь ву Веза Эла, ткъа дикачу нехан доӀа Цунна хезаш ду.</verse>
				<verse number="30">Самукъанечу стага шена уллохь болчеран дегнаш иракарахӀиттадо, дикачу хаамо нехан догӀмаш дайдо.</verse>
				<verse number="31">Дахарх лаьцна бехк баккхаре ладугӀуш волчун Ӏаш йолу меттиг хьекъал долчарна юкъахь ю.</verse>
				<verse number="32">Шега бехк баккхар дӀатоттучун шех дог долу, ткъа ша нисваре ладугӀучунна хьекъалалла карадо.</verse>
				<verse number="33">Везачу Эле ларамах вуьзна хиларо хьекъалалла хьоьху, ткъа сийлаллина хьалха эсалалла хуьлу.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="16">
				<verse number="1">Дагахь лерина ойла адаман ю, ткъа багахь делла жоп Везачу Элера ду.</verse>
				<verse number="2">Стагана ша массо а хӀуманна тӀехь нийса хета, амма цуьнан деган Ӏалашонийн барам Везачу Эло бусту.</verse>
				<verse number="3">Айхьа мел дийриг Везачу Элан кара дӀало, тӀаккха хьо дан воллург кхочушхир ду.</verse>
				<verse number="4">Везачу Эло мел диначун шен-шен Ӏалашо ю, ткъа Ӏеса нах къематденна лерина бу.</verse>
				<verse number="5">Везачу Элана дегаза хета хӀора ша лакхара хетарг — шеко йоцуш таӀзар даза буьсур бац уьш.</verse>
				<verse number="6">Нахе болу безам а, тешаме хилар а бахьана долуш къинош дӀадоху. Везачу Эле ларамах вуьзна хилар бахьана долуш стаг вонах генаволу.</verse>
				<verse number="7">Адаман некъаш Везачу Элана дезаш хилча, Цо цуьнан мостагӀий а тӀетабо.</verse>
				<verse number="8">Жимма а хӀума бакъдолчуьнца гулдар гӀоле ю, харцонца дуккха а хьал гулдарал.</verse>
				<verse number="9">Стага шен даг чохь хӀума дан лору, амма Везачу Эло цуьнан гӀулчаш билгалйоху.</verse>
				<verse number="10">Паччахьан дош Делан цӀарах ду, кхел ечу хенахь цо харцонца ца дуьйцу.</verse>
				<verse number="11">Нийса терза а, терзанна тӀера кедаш а — Везачу Элера ду, Цуьнгара ю тӀоьрмаг чуьра ерриг герканаш а.</verse>
				<verse number="12">Паччахьашна дегаза хета Ӏесалла, хӀунда аьлча церан паччахьалла нийсонца лаьтташ ду.</verse>
				<verse number="13">ЦӀеначу дагара аьлла дешнаш тамехь ду паччахьашна, бакъдерг дуьйцург лору цара.</verse>
				<verse number="14">Паччахьан оьгӀазалла Ӏожаллин хаамча санна ю, амма хьекъал долчо иза тевийр ву.</verse>
				<verse number="15">Паччахьан сирлачу хьажарехь — дахар ду, цуьнан дика хилар — бӀаьста сатийсинчу догӀанца еана марха санна ду.</verse>
				<verse number="16">Хьекъалалла гулдар дешил дуккха а деза ду, ткъа кхетам шорбар уггар а дикачу детил а деза ду.</verse>
				<verse number="17">Дикачу нехан некъ — вочу хӀуманна нацкъарвалар ду, шен некъ ларбечо шен са а лардо.</verse>
				<verse number="18">Стаг дакъазавалале цуьнга куралла юссу, ткъа деза деттаро ког тасаболуьйту.</verse>
				<verse number="19">Эсалчу синца къечарна юкъахь вахар гӀоле ду, курачу нахаца цхьаьна хӀонс йоькъучул.</verse>
				<verse number="20">Хьекъалаллица шега бохучуьнца лелаш волчунна аьтто карор бу, ткъа Везачу Элана тӀетевжаш верг декъала хир ву.</verse>
				<verse number="21">Стаг хьекъал долуш хилча, иза кхечарна хуур ду, ткъа эсалчу дешнашца нах дико къарлур бу.</verse>
				<verse number="22">Хьекъал долчарна хьекъалалла дахаран шовда санна ду, ткъа сонтачарна сонталлица таӀзар до.</verse>
				<verse number="23">Хьекъал долчун даго цуьнан мотт кхин а хьекъалалла долуш бо, цо аьлларг кхин а къарбеш хуьлу.</verse>
				<verse number="24">Тамехь долу къамел алхашна чуьра моз санна ду, иза стеган дагна мерза ду, ткъа цуьнан даьӀахкашна дарбане а ду.</verse>
				<verse number="25">Стагана нийса хеташ некъ хила мега, амма иза тӀаьххьара а Ӏожалле кхочу.</verse>
				<verse number="26">ХӀума яаран лаамо белхалочуьнга къахьоьгуьйту, ша меца хиларо цуьнга болх бойту.</verse>
				<verse number="27">Вочу стеган вониг дан ойла кхоллало, цуьнан къамел йогу цӀе санна ду.</verse>
				<verse number="28">Ямартчу стага нахана юкъа къийсамаш кхуллу, эладитанчо доттагӀашна юкъахь питана тосу.</verse>
				<verse number="29">Къизачу стага уллора нах мекарлонца шена тӀе ийзабо, цо уьш харцнекъахула дӀа а буьгу.</verse>
				<verse number="30">БӀаьрг теӀош волчун дагахь мекара ойла ю. Балдаш къовлуш волчо вониг дан сацам бина.</verse>
				<verse number="31">Къежвалар — сийлаллин таж ду, нийсо лелоран дахарна совгӀат ду иза.</verse>
				<verse number="32">Собаре хилар гӀоле ду тӀемало хиларал, собарениг гӀала схьаяьккхинчул а тоьлу.</verse>
				<verse number="33">Цхьа хӀума шаьш дале, наха кхаж тосу, амма цу хӀуманан тӀаьхье Везачу Элехь ю.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="17">
				<verse number="1">Карахь дакъаделлачу баьпкан дакъа а долуш, машарехь вахар гӀоле ду, хьолах дуьзначу цӀа чохь барт боьхна вехаш хиларал.</verse>
				<verse number="2">Хьекъал долчу ялхочо хьоладен харцахьарчу кӀантана тӀехь олалла дийр ду, ткъа олахо веллачул тӀаьхьа вежарийн санна долу дакъа кхочур ду цунна.</verse>
				<verse number="3">Дети кеда чохь цӀандо, деши кхерчахь зело, ткъа адамийн дегнаш Везачу Эло зоь.</verse>
				<verse number="4">Вочу адамо зуламе къамелаш дӀалоцу, ткъа харц луьйш волчо кхечеран аьшпашка ладугӀу.</verse>
				<verse number="5">Мискачух белар дечо иза Кхоьллинарг ца лору. Вочу хӀуманах воккхавеш верг таӀзар ца деш вуьсур вац.</verse>
				<verse number="6">Баккхийчийн таж церан кӀентийн кӀентий бу, ткъа берийн сийлалла церан да-нана ду.</verse>
				<verse number="7">Сонтачуьнгахь кура къамелаш ца тов, ткъа баьччехь харцкъамелаш а ца тов муххале а.</verse>
				<verse number="8">Иза луш болчун бӀаьргашкахь кхаъ бозбунчин молха санна бу. Ша мел лелош волчун аьтто боккху цо.</verse>
				<verse number="9">Стагера даьлла долу гӀалат къайладоккхуш волчо безам лоьху, ткъа и гӀалат дагадоуьйтучо шен доттагӀа шена генавоккху.</verse>
				<verse number="10">Хьекъалечунна шега баьккхина бехк боккха хета, сонтачунна шена бӀозза тоьхна гӀаж хетачул а.</verse>
				<verse number="11">Вочу стага аьрхалла бен ца лоху, цундела къиза геланча воккхур ву цунна дуьхьал.</verse>
				<verse number="12">Стагана шен кӀорнех яьккхина йолу стен ча дуьхьал ялар гӀоле ду, шен сонталлица сонта стаг дуьхьал кхетарал.</verse>
				<verse number="13">Диканна дуьхьал вон дечу стеган хӀусамера вон цкъа а дӀадер дац.</verse>
				<verse number="14">Дов дӀадолор, хи чухьадар санна, хӀума ду. Иза кхин гена далале сацор гӀоле ду.</verse>
				<verse number="15">Ӏесаниг бехказаваккхар а, хьаналниг бехкевар а — и ший хӀума а Везачу Элана дегаза хета.</verse>
				<verse number="16">Ӏовдалчу стагана ахча стенна оьшу? Хьекъалалле кхача цуьнан хьекъал а ма дац.</verse>
				<verse number="17">ДоттагӀчунна шен доттагӀа массо а хенахь веза. Ваша вон тӀедеанчу ханна вина ву.</verse>
				<verse number="18">Хьекъал доцучу стага бен кхечу стеган декхарх жоп луш куьг лоцур дац.</verse>
				<verse number="19">Къовсавалар дезаш волчунна къинош летор а деза. Ша лакхара дуьйцуш волчо лаха охьавожар лоьху.</verse>
				<verse number="20">Ямартчу дагна дика карор дац, харцлуьйш болу мотт воне кхочур бу.</verse>
				<verse number="21">Хьекъал доцу кӀант волу да сингаттаме хуьлу, Ӏовдалчун да цкъа а ирсе хир вац.</verse>
				<verse number="22">Ирсе хилар дарбане молха санна ду, ткъа сингаттам стаг вакъош йолу цамгар санна бу.</verse>
				<verse number="23">Ӏесачу стага четара кхаъ схьаоьцу, нийса еш йолу кхел харцахьа ерзорхьама.</verse>
				<verse number="24">Хьекъал долчу стага шен бӀаьргаш хьекъалалле берзабо, ткъа сонтачун бӀаьргаш маьӀ-маьӀӀе хьоьжуш хуьлу.</verse>
				<verse number="25">Сонта кӀант шен дена гӀайгӀа ю, иза шен нанна къаьхьалла а ю.</verse>
				<verse number="26">Бехк боцучу стагана гӀуда тохар а дика дац, иштта дикачу стагана серий деттар а нийса дац.</verse>
				<verse number="27">Хьекъал долчо ша олуш долу дош лардо, кхетам берг сиха оьгӀаз а ца воьду.</verse>
				<verse number="28">ХӀумма а ца олуш Ӏаш волу сонта стаг а хьекъал долуш санна хета тарло. Нахана хӀумма а ца олуш Ӏаш волу стаг хьекъале хета.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="18">
				<verse number="1">Ша кхечарах дӀакъастийнарг шена луъург дан лууш хуьлу. Хьекъал мел дерг дӀатотту цо.</verse>
				<verse number="2">Сонта стаг хӀуманех кхета лууш ца хуьлу — шен хьекъал дӀагайта бен лууш вац иза.</verse>
				<verse number="3">Ӏеса стаг схьавеача, дола хетар а цунна тӀаьхьа догӀу, ткъа сийсазаллица цхьаьна юьхьӀаьржо а хуьлу.</verse>
				<verse number="4">Хьекъалалла долчу стеган дош, кӀоргачу хи чуьра санна, схьадолу, цу дешан бух хьекъалаллин татол чуьра хьалаболуш бу.</verse>
				<verse number="5">Кхел ечу хенахь дика дац Ӏесачу стагана озабезам гайтар, и хӀума дарца хьаналчу стагана нийса кхел ца йойтуш.</verse>
				<verse number="6">Сонтачу стеган багано дов доккху, цо аьлларг бахьана долуш буй тохар а хуьлу.</verse>
				<verse number="7">Сонтачу стеган мотт — цуьнан дакъазавалар бу, цо мел олург — цунна хӀоттийна гур бу.</verse>
				<verse number="8">Эладитане дешнаш мерза даар санна хуьлу. Уьш нийсса адаман кийра дуьссу.</verse>
				<verse number="9">Балха тӀехь мало йийриг а, хӀуманаш йохош верг а цхьана доьзалера ву.</verse>
				<verse number="10">Веза Эла — дика йина бӀов санна ву: хьанал стаг, Цунна тӀе кхаьчча, кхерам боцуш хуьлу.</verse>
				<verse number="11">Хьал долчун бахам чӀагӀйина гӀала санна хуьлу цунна. И бахам шена гонах хӀоттийна боккха пен санна хета цунна.</verse>
				<verse number="12">Курачу стеган дог, цуьнан вожар хилале, ирхдоьду, ткъа ша лахара хеттачул тӀаьхьа стеган сий хьаладер ду.</verse>
				<verse number="13">ХӀумане ла а догӀале жоп луш волу стаг сонта ву, цунна тӀе эхь догӀу.</verse>
				<verse number="14">Стеган сино, иза цомгуш хилча, цу цамгарх тола ницкъ ло, амма доьхна са лалург мила хир ву?</verse>
				<verse number="15">Хьекъал долчу стеган даго хаарш лоху, шен лергашца хааршка ладогӀа кийча ву иза.</verse>
				<verse number="16">Стага деллачу совгӀато цунна хьалха некъ дӀабосту, цуьнгахула баьччанашна хьалха хӀотта мегар ду цунна.</verse>
				<verse number="17">Хьалха вистхилларг массарна а бакъ хета, кхин цхьаъ схьа а веана, шен хаттаршца шеко кхолла волаваллалц.</verse>
				<verse number="18">Кхаж тасарца къовсам а къастабо, хьалдолчеран дов а сацадо.</verse>
				<verse number="19">ОьгӀазвахана волу доттагӀа меттавало хала ду, чӀагӀйина гӀала яккхарал а. Вовшашца даьлла дов гӀалин кевнна тоьхначу догӀанал а чӀогӀа хуьлу.</verse>
				<verse number="20">Адамо аьллачух цуьнан шен са дузу. Шен дешнашкахула мел хилийтинчух Ӏебар ву иза.</verse>
				<verse number="21">Дахар а, Ӏожалла а стеган маттах доьзна ду. Цундела вистхила дезаш верг аьллачун тӀаьхье тӀелаца а кийча хила веза.</verse>
				<verse number="22">Дика зуда карийнарг декъала ву. Иза караяр цу стагана Веза Эла резахиларан билгало ю.</verse>
				<verse number="23">Къен стаг дехар деш вистхуьлу, ткъа хьалдолчун жоп кӀоршаме хуьлу.</verse>
				<verse number="24">ДоттагӀий дукха хиларо вохарна тӀевалаво, амма бакъволу доттагӀа хилча, иза вешил а уллора хуьлу.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="19">
				<verse number="1">Къен а волуш, кхоччуш цӀена лела стаг гӀоле ву, харц луьйш волчу стагал — иза-м сонтаниг ма ву.</verse>
				<verse number="2">ХӀуманах доллург а ца хууш, иза кхочушдан гӀертар дика дац. ХӀуманна тӀехь сихлуш волчун ког тасабаларна кхерам бу.</verse>
				<verse number="3">Сонта хиларо стеган некъ талхабо, амма шен даг чохь цо Дела бехкево.</verse>
				<verse number="4">Хьоло доттагӀий доьбуьйту, ткъа къен верг шен доттагӀчо а вуьту.</verse>
				<verse number="5">Харцтоьшалла динарг таӀзар ца деш вуьсур вац, аьшпаш буттург а маьрша паргӀатвер вац.</verse>
				<verse number="6">Дукхахболу нах хьолахошна хьесталуш лела, хӀорра а совгӀаташ дечун доттагӀа хила лууш а хуьлу.</verse>
				<verse number="7">Къен стаг шен гергарчарна ца веза — цул сов, доттагӀий а дӀабоьрзу цунах. Царна тӀаьхьа а ваьлла, цо цаьрга гӀо мел дехарх, царна иза хезар вац.</verse>
				<verse number="8">Хьекъалалле кхача лууш волчунна шен са деза. Хьекъалаллица лелаш верг дикане кхочур ву.</verse>
				<verse number="9">Харцтоьшалла динчунна таӀзар дийр ду, ткъа харцдерг дуьйцуш верг а хӀаллакьхир ву.</verse>
				<verse number="10">Сонтачунна хьал долуш вахар ца догӀу, ткъа элашна тӀехь куьйгалла дар лега данне а ца догӀу.</verse>
				<verse number="11">Адаман хьекъалалло иза сихха оьгӀаз ца вохуьйту. Шена дина зулам дукха даре ца деш дитаро адаман сий до.</verse>
				<verse number="12">Паччахьан дарвалар лоьмо гӀигӀ дар санна хуьлу, ткъа цуьнан резахилар — бацана тӀе диллина тхи санна ду.</verse>
				<verse number="13">Сонта кӀант — шен дена докъазаллина хуьлу, ткъа къийсалуш йолу зуда — ца соцу ладар санна ю.</verse>
				<verse number="14">Стеган хӀусам а, бахам а — дайх дисина хуьлу, ткъа хьекъал долу зуда Везачу Элера ю.</verse>
				<verse number="15">Малоно наб йоуьйту, ткъа хӀуманна бала ца хиларо мацалле кхачаво.</verse>
				<verse number="16">Шена тӀедиллинарг кхочушдечо дахар лардо, амма некъаш ца къестош верг хӀаллакьхир ву.</verse>
				<verse number="17">Мискачунна дина дика Везачу Элана делла духалург ду, ткъа Везачу Эло иза цунна юхадерзор ду.</verse>
				<verse number="18">ТаӀзар дарца нисве хьайн кӀант, цо цунах пайда эцаре сатийса йиш хилча. Ахь иза нис ца вахь, цуьнан Ӏожаллина бехке хир ву хьо.</verse>
				<verse number="19">Сихха оьгӀазвоьдург жоьпе озор ву. Цкъа иза баланах паргӀатваьккхича, кхин а изза дан дезар ду хьан.</verse>
				<verse number="20">Хьайна дечу хьехаршка ла а дугӀуш, Ӏама, хиндолчу цхьана дийнахь хьо хьекъале хир ву.</verse>
				<verse number="21">Кхочушдан лерина хӀуманаш стеган даг чохь дукха хуьлу, амма Везачу Эло сацийнарг бен кхочуш хир дац.</verse>
				<verse number="22">Уггар чӀогӀа лоруш дерг тешаме хилар ду, цундела къен хилар гӀоле ду, харцлуьйш хиларал.</verse>
				<verse number="23">Стаг Везачу Эле болчу ларамах вуьзна хилча, цунна дахар карор ду. Синтем а болуш, буьйса йоккхур ю цо, вон цунна тӀе догӀур дац.</verse>
				<verse number="24">Малончо, шуьнна тӀе а кхевдина, ша схьаэцнарг шен бете хьала а ца кхачайо.</verse>
				<verse number="25">Кхаьрдаш волчу стагана таӀзар дича, бодане нах а меттабогӀу, ткъа хьекъал долчух бехк баьккхича, цуьнан кхетам совбер бу.</verse>
				<verse number="26">Шен деца кӀоршаме а волуш, шен нана дӀалоьллуш верг юьхьӀаьржачу хӀуттуьйту а, эхь тӀедоуьйту а кӀант ву.</verse>
				<verse number="27">Сан кӀант, бехк баккхаре ладогӀа хьо сацахь, хаарш лучу хьехамна тӀера хьо дӀаволу.</verse>
				<verse number="28">Тешаме воцу теш нийса кхел ярх кхаьрда, ткъа Ӏесачу стага зуламе мел дерг дӀакхоллу.</verse>
				<verse number="29">Кхаьрдаш болчу нахана таӀзарш кечдина ду, ткъа сонтачеран баккъашна гӀаж а кийча ю.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="20">
				<verse number="1">ЧагӀаро бага лен йоккху, къаьркъано мотт галбоккху. Цара тилийна мел верг хьекъал доцуш ву.</verse>
				<verse number="2">Паччахьан дарвалар лоьмо гӀигӀ дар санна хуьлу. Иза дарволуьйтуш волчо шен дахарна кхерам тӀебоуьйту.</verse>
				<verse number="3">Къовсаваларх ларвалар — лараме хӀума ду, ткъа муьлхха а сонта стаг къовсавала кийча ву.</verse>
				<verse number="4">Малончо дан деззачу хенахь охана ца до, цундела цунна ялта чудерзочу хенахь хӀумма а карор дац.</verse>
				<verse number="5">Адаман даг чохь дерг кӀоргачу гӀунна чохь долу хи санна ду, ткъа кхетамечу стаге и хи хьаладаккхало.</verse>
				<verse number="6">Дукхахдолчу адамаша шаьш тешаме хиларх лаьцна дуьйцу, амма билггал тешаме верг каро хала ду.</verse>
				<verse number="7">Хьанал стаг кхоччуш цӀеначу новкъахь лелаш ву. Цуьнан тӀаьхьенах долу бераш мел декъала хир ду!</verse>
				<verse number="8">Кхел ян охьахиинчу паччахьан бӀаьргашна дерриг а вон а, дика а гуш хуьлу.</verse>
				<verse number="9">Хьан эр ду те: «Сан даг чохь со цӀена ву, со сайн къинойх цӀанвелла»?</verse>
				<verse number="10">Харц терза лелор а, харц саьхьаца озар а — ший а Везачу Элана дегаза хета.</verse>
				<verse number="11">Ур-атталла бер а девза цо дечу гӀуллакхашкахула — цо лелош дерг цӀена я Ӏеса хиларехула.</verse>
				<verse number="12">ХӀума хезаш долу лергаш а, хӀума гуш долу бӀаьргаш а — ший а Везачу Эло кхоьллина ду.</verse>
				<verse number="13">Наб езаш волчунна тӀе къоьлла йогӀур ю, амма стаг сема хилахь, кхачанах вуьзна лелар ву иза.</verse>
				<verse number="14">Хьоьгара цхьа хӀума оьцуш волчо даим а олу: «ХӀара хӀума дукха дика а яц, кхунах дукха а доьху», амма хьуна юьстахволлушехь, цо ша бина мах бахьана долуш дозаллаш до.</verse>
				<verse number="15">Деши а ду, жовхӀарш а дукха хуьлу, амма хьекъале вистхилар дезо ду.</verse>
				<verse number="16">Хийрачу стагах дош далар нислахь, цуьнгара бедар яккха. Закъалтана йита иза, ца вевзачу стагах цо жоп луш хилча.</verse>
				<verse number="17">Мерза хуьлу харцонца даьккхина бепиг, амма иза багахь жагӀа хилла дӀахӀутту.</verse>
				<verse number="18">Хьехаре ла а дугӀуш, хӀума кхочушдан кечло. ТӀом болабале, нахах дагаволуш хила.</verse>
				<verse number="19">Эладита деш волчо къайлаха дерг а дӀадуьйцур ду, цундела дукха луьйш волчун доттагӀа ма хила.</verse>
				<verse number="20">Дена а, нанна а стага неӀалт олуш хилча, цуьнан дахаран серло Ӏаьржачу боданехь дӀайовр ю.</verse>
				<verse number="21">Юьхьанца сихха карабеана бахам тӀаьхьо декъала хир бац.</verse>
				<verse number="22">«Ас бекхам бийр бу вон диначунна», — ма ала. Везачу Эле хьоьжуш хила, Цо хьо кӀелхьарвоккхур ву.</verse>
				<verse number="23">Дегаза хета Везачу Элана нийса йоцу герканаш, ткъа харц лело терзанаш Ӏеса хӀума ду Цунна гергахь.</verse>
				<verse number="24">Адаман гӀулчаш Везачу Элера хуьлу дела, шен некъ стаге муха къасталур бара?</verse>
				<verse number="25">Нагахь санна сихвеллачохь стага Везачу Элана цхьа хӀума дӀаяла чӀагӀо яхь, амма цунах лаьцна тӀаьхьо бен ойла ца яхь, иза цунна гур санна ю.</verse>
				<verse number="26">Хьекъалечу паччахьо, Ӏеса нах Ӏора а баьхна, хьийзаш йолу чкъург царна тӀе хоьцур ю.</verse>
				<verse number="27">Стеган са — Везачу Элан стогар бу. Адаман оцу синехула дагахь дерг толлу Везачу Эло.</verse>
				<verse number="28">Безамо а, тешаме хиларо а паччахь ларво, ткъа ца соцучу безамца цуьнан паччахьалла чӀагӀдо.</verse>
				<verse number="29">Кегий нах шайгахь болчу ницкъо хазбо, ткъа баккхийчу нахехь церан къежбалар тов.</verse>
				<verse number="30">Еттаро а, чевнаша а стаг вонах цӀанво, цо текхначу балано цуьнан дог а цӀандо.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="21">
				<verse number="1">Паччахьан дог Везачу Элан карахь ду, хорша чуьра хи санна, Шена луъучу метте дӀахьажо йиш ю Цуьнан иза.</verse>
				<verse number="2">Шен бӀаьргашкахула стагана дерриг а шен некъаш нийса хета, амма Веза Эла цуьнан дог зуьйш ву.</verse>
				<verse number="3">Бакъдерг а, нийсо а лелор Везачу Элана тамехь ду, сагӀанаш дохучул.</verse>
				<verse number="4">Адам сийсаздоккхуш долу бӀаьргаш а, кура дог а — Ӏесачу нехан дахарехь къилахь хӀума ду.</verse>
				<verse number="5">Хьаналчу стеган Ӏалашонаша иза шортонна тӀе кхачаво, ткъа сиха леларо адам къоьлли тӀе кхачадо.</verse>
				<verse number="6">Харцлерца гулдеш долу хьал Ӏожалла лоьхучеран сихха къайлайолу Ӏаь санна ду.</verse>
				<verse number="7">Ӏесачу наха еш йолчу къизалло уьш шаьш дакъазабоху, хӀунда аьлча царна нийсонца лела ца лаьа.</verse>
				<verse number="8">Харцонца лелаш волчун некъаш галморзаха дуьйлуш хуьлу, ткъа хьаналчу стеган лелар нийса хуьлу.</verse>
				<verse number="9">Шерачу тхевнна тӀехь сонехь Ӏар гӀоле ду, къийса лууш йолчу зудчуьнца цхьаьна цӀа чохь Ӏачул.</verse>
				<verse number="10">Вон стаг вонаш лело лууш хуьлу, цо шена уллорачух къинхетам а ца бо.</verse>
				<verse number="11">Кхечу нахах кхаьрдаш волчунна ахьа таӀзар дича, бодане нах а хьекъалалле кхочур бу. Хьекъал долчунна ахьа хьехар дича, цуьнан хаарш совдевр ду.</verse>
				<verse number="12">Нийса лелаш волу Дела Ӏесачеран цӀенош тергал деш хуьлу, Цо дакъазабоху Ӏеса нах.</verse>
				<verse number="13">Мискачара доккху орца хезча, шен лергаш дӀакъовлуш волчунна, цо орца доьхуш мохь хьаькхча, цхьа а стаг цунна орцах вер вац.</verse>
				<verse number="14">Къайлаха динчу совгӀато оьгӀазалла дӀайоккху. Цхьанна а ца хоуьйтуш беллачу кхоо оьгӀазвахар дӀадоккху.</verse>
				<verse number="15">Нийсонца йинчу кхело хьаналчу нахана хазахетар дахьа, амма харцонаш лелораш цо къемате кхочуьйту.</verse>
				<verse number="16">Хьекъал долчун некъа тӀехь тилавелларг беллачеран дуьнен чохь соцур ву.</verse>
				<verse number="17">Сакъерар дезачунна къоьлла тӀейогӀур ю. ЧагӀар а, токхе кхача а безарг цкъа а хьал долуш хир вац.</verse>
				<verse number="18">Хьаналчеран метта, бохам Ӏесачарна тӀе богӀур бу, ткъа догцӀеначеран метта, иза тешаме боцучарна тӀе богӀур бу.</verse>
				<verse number="19">Яьссачу арахь вахар гӀоле ду, къийсаяла а, яппарш ян а луучу зудчуьнца вехачул.</verse>
				<verse number="20">Хьекъалечун цӀа чохь дика кхача а, деза даьтта а хуьлу, ткъа сонтачо шен ерг а чӀанайоккху.</verse>
				<verse number="21">Массо а хенахь нийсонца а, безамца а леларна тӀегӀерташ верг дуккха а вехар ву, цуьнца нийса лелар ду, цундела цуьнан сий дийр ду.</verse>
				<verse number="22">Хьекъал долчуьнга ницкъболчаьргара гӀала а схьаяккхало, церан бӀобулуш хилла долу пенаш а дохало.</verse>
				<verse number="23">Шен бага а, мотт а ларбечо ша вочу хӀуманах кӀелхьарвоккхур ву.</verse>
				<verse number="24">Кхечу нахах кхаьрдарг кура а, ша лакхара хеташ а ву. Доза доцуш долчу кураллица лелаш ву цу тайпана стаг.</verse>
				<verse number="25">Малонча шен лаамаша хӀаллакво, хӀунда аьлча цуьнан куьйгаша болх бан ца туьгу.</verse>
				<verse number="26">Де дийне мел долу, цу сутаралло са доу цуьнан, ткъа хьаналчу стага шен долахь дерг, кхоа а ца деш, дӀало.</verse>
				<verse number="27">Везачу Элана ца деза Ӏесачу наха дохуш долу сагӀанаш, уьш мекарлонца дохуш хилча — муххале а ца деза.</verse>
				<verse number="28">Харцтоьшалла дийриг хӀаллакьхир ву, ткъа дикка ладоьгӀна волчу тешо чаккхенна тӀекхаччалц дуьйцур ду.</verse>
				<verse number="29">Ӏесачу стага моттаргӀанаш лелайо, ткъа хьаналчу стага ша лелачу некъан ойла йо.</verse>
				<verse number="30">Цхьа а хьекъалалла а, я кхетам а, я Ӏалашо а лаьттар яц Везачу Элана дуьхьал.</verse>
				<verse number="31">ТӀом болучу дийнахь говр кечйо, амма толам Везачу Элера бу.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="22">
				<verse number="1">Стеган дика цӀе яккхар хьал долуш хуьлучул а деза ду. Нехан ларам детил а, дешил а беза бу.</verse>
				<verse number="2">Хьал долуш верг а, къен верг а, ишттачу хӀумане хьаьжжина, цхьатерра ву: и ший а Везачу Эло кхоьллина ву.</verse>
				<verse number="3">Хьекъал долчо, бохам хир бу аьлла шена хетча, цунах ша ларвойту, ткъа бодане нах, нийсса цу тӀе боьлху дела, жоьпе озабо.</verse>
				<verse number="4">Кхечарал ша лахара а хеташ, Везачу Эле болчу ларамах стаг вуьзна велахь, цунна хьал а, сий а, дика дахар а хуьлуьйтур ду.</verse>
				<verse number="5">Зуламечу нехан некъашна тӀехь коканаш а, гураш а хуьлу, амма шен дахар дезаш верг цига гӀур вац.</verse>
				<verse number="6">Жима долчу хенахь Ӏамаде бер нийсачу новкъахула лела — иза, доккха хилча, цу некъа тӀера дӀадер дац.</verse>
				<verse number="7">Хьал долуш волчо къечу нахана тӀехь олалла до. Юхалург хӀума оьцуш верг и хӀума лучун ялхо хуьлу.</verse>
				<verse number="8">Зуламан хӀу тосучо бохаман ялта гулдийр ду, ткъа кхечарна цо еш йолу гӀело чекхъер ю.</verse>
				<verse number="9">Декъала хир ву комаьрша стаг, хӀунда аьлча цо шен кхача къечу нахаца боькъу.</verse>
				<verse number="10">ДӀалалла шайна уллора нахах кхаьрдарг, иза дӀаваханчул тӀаьхьа вовшашка болу цабезам а, девнаш а, бага еттарш а дӀадевр ду.</verse>
				<verse number="11">ДогцӀеналла езаш а, маттана шера а хьо велахь, паччахь хьан доттагӀа хир ву.</verse>
				<verse number="12">Везачу Эло бакъдолу хаарш лардо, ткъа харцнехан дешнаш Цо дакъазадоху.</verse>
				<verse number="13">Малончо олу: «Арахь лом ду! Урамновкъахь со вуьйр ву!»</verse>
				<verse number="14">Нахаца лелаш йолчун бага йоккха кӀело санна ю, Везачу Эло неӀалт аьлларг цу чу вужур ву.</verse>
				<verse number="15">Шен даг чуьра дуьйна бер сонта хӀума дан кийча ду, амма таӀзаран серо цунна тӀера дӀалоллур ду иза.</verse>
				<verse number="16">Шена са яккхархьама къечу стагана гӀело йийриг а, хьал долчу стагана совгӀаташ дийриг а — и ший а къоьлле кхочур ву.</verse>
				<verse number="17">Хьекъалалла долчийн дешнийн тидам а бе, цаьрга ла а догӀа. Ас хьуна Ӏамор долчун даггара ойла е,</verse>
				<verse number="18">хӀунда аьлча тамехь хир ду хӀара дешнаш хьайн дагахь латтор а, уьш дӀадийцийта кийча хилийтар а.</verse>
				<verse number="19">Хьуна ас тахана Ӏамор ду и хьекъале кицанаш, Везачу Элана тӀетевжаш хьо хилийтархьама.</verse>
				<verse number="20">Ас хьуна ткъе итт хьекъале аьлларг дӀаяздина, хьекъалаллех а, хаарех а дуьзна ма ду.</verse>
				<verse number="21">Цара Ӏамор ду хьуна нийса а, бакъ а дерг, тӀаккха хуур ду хьуна хьо ваийтинчунна нийса жоп дала.</verse>
				<verse number="22">Къечуьнгара иза атта хетарна хӀума схьа а ма яккха, кхел ечу меттехь декъазачунна гӀело а ма е.</verse>
				<verse number="23">Везачу Эло къен болчаьрга гӀо доккхур ду, царна къола динчарна къола а дийр ду Цо.</verse>
				<verse number="24">Сихха оьгӀазвоьдучуьнца гергарло ма леладе, сиха моха йогӀучарна улло а ма гӀо,</verse>
				<verse number="25">церан некъаш ца Ӏамархьама а, хьайна гур ца богӀийтархьама а.</verse>
				<verse number="26">Кхечу стагах дош а ма ло, цуьнан декхарш хьайна тӀе а ма лаца.</verse>
				<verse number="27">Уьш хьоьга дӀа ца такхалахь, ур-атталла хьайн дӀавуьжу мотт-гӀайба а хьуна кӀелара дӀалоцур бу.</verse>
				<verse number="28">Хьайн дайша дӀахӀоттийна болу шира шу дӀа ма хилабе.</verse>
				<verse number="29">Шен говзалла дика хууш волу стаг гиний хьуна? Цо паччахьашна гӀуллакх дийр ду. Боданечу нахана гӀуллакх дийр дац цо.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="23">
				<verse number="1">Айхьа куьйгалхошца хӀума юучу хенахь, хьо хьаьнца хиъна Ӏаш ву диц ма де.</verse>
				<verse number="2">Дуккха а хӀума яа хьан лаам хилахь, хьайн логана дуьхьало хӀоттае.</verse>
				<verse number="3">Чам болчу цуьнан кхачанах хьоьгуш ма хила, хӀунда аьлча цо хьо Ӏехо мега.</verse>
				<verse number="4">Хьал долуш хилархьама, хьайн сих валлалц къа ма хьега. Болх сацо беза хан йовззал хьекъале хила.</verse>
				<verse number="5">Ахь хьайн бӀаьргаш хьоле дӀахьажошшехь, цуьнан дукха сиха тӀемаш а довлу, аьрзу санна, иза стигала хьала а доьду.</verse>
				<verse number="6">Саьхьарчу стеган шуьн тӀера яа хӀума ма яа, цуьнан мерзачу кхачанах вуьзна хила лууш ма хила,</verse>
				<verse number="7">хӀунда аьлча цуьнан са, догӀа а тоьхна, дӀакъевлина ду. Цо хьоьга: «Яа а яа, мала а мала» эр ду, амма цуьнан дог хьоьца дац.</verse>
				<verse number="8">Айхьа дӀакхаьллина цуьрг схьаӀеттор ду ахьа, ткъа ахьа аьлла мерза дешнаш а эрна хир ду хьан.</verse>
				<verse number="9">Хьекъал доцучуьнга хӀумма а ма ала, хӀунда аьлча хьекъалечу къамелах иза воьлур ву.</verse>
				<verse number="10">Ширачу заманахь баьккхина шу цкъа а меттах ма баккха, боберийн кха а схьа ма даккха,</verse>
				<verse number="11">хӀунда аьлча церан нуьцкъала ГӀодаккхархо ву, хьуна дуьхьал долу гӀуллакх Цо къастор ду.</verse>
				<verse number="12">Хьайн дог хӀума Ӏамарна тӀе дерзаде, хьайн лергаш хаарш хаза схьаделла.</verse>
				<verse number="13">Бер таӀзар ца деш ма диталахь, цунна иза догӀучохь. ГӀаж еттарца цунна таӀзар дарх бер лийр дац.</verse>
				<verse number="14">Ахь сара беттарца берана таӀзар дахь, иза эхарте кхачарх кӀелхьардоккхур ду.</verse>
				<verse number="15">Сан кӀант, хьо даг чохь хьекъал долуш хилахь, со даггара ирс долуш хир ву.</verse>
				<verse number="16">Сан кийрахь мел дерг а синкъераме хир ду, хьоьгара суна догцӀена долу дешнаш хазахь.</verse>
				<verse number="17">Къа летош болчу нахах ма хьега, амма массо а ханна Везачу Эле болчу ларамах вуьзна хила.</verse>
				<verse number="18">Хьан хиндерг-м хьуна хьалха билггал хир ду, ткъа хьан сатуьйсийла цкъа а дӀадер дац.</verse>
				<verse number="19">Ла а догӀа, сан кӀант, хьекъале а хила, хьайн дог нийсачу некъа тӀе а дерзаде.</verse>
				<verse number="20">ТӀехдаьккхина чагӀар муьйлучаьрца а, жижиг даар тӀехдоккхучаьрца а гергарло ма леладе,</verse>
				<verse number="21">хӀунда аьлча маларш муьйлучунна а, сутара гай долчунна а къоьлла тӀейогӀур ю, ткъа наб озоро царна тӀе тӀелхигаш юхур ю.</verse>
				<verse number="22">Хьо дуьнен чу ваьккхинчу хьайн дега ладогӀалахь. Хьайн нене а ларамах вуьзна хилалахь, иза къанъелча а.</verse>
				<verse number="23">Бакъдерг лаха хьайна, цунах дӀа ма къаста. Иштта хьекъалалла а, хьо Ӏамор а, кхетам а лаха.</verse>
				<verse number="24">Хьаналчу стеган да чӀогӀа самукъадолуш хуьлу. Нагахь бераш хьекъалалла долуш делахь, да царах воккхавеш хуьлу.</verse>
				<verse number="25">Хьан дай-наний ирс долуш хуьлийла, хьан нана самукъадолуш хуьлийла.</verse>
				<verse number="26">Сан кӀант, дикка тидам бе сан, со лела некъ тамехь хуьлийла хьуна.</verse>
				<verse number="27">Нахаца лела зуда — бух боцу Ӏин санна хуьлу хьуна, ткъа шен йоцу зуда — готта гӀу санна хуьлу хьуна.</verse>
				<verse number="28">Иза кӀело йина Ӏаш волу талорхо санна ю, цуьнан леларо божаршна юкъахь йолу ямартло алсамйолуьйту.</verse>
				<verse number="29">Мила ву ахӀ-ухӀ деш? Мила ву девнаш дохуш, аьрзнаш деш? Хьенан ю, мичара яьлла а ца хууш, бӀаьргкӀелош Ӏаржйина? Хьенан бӀаьргаш ду, даьржина хи санна?</verse>
				<verse number="30">Уьш чагӀарш муьйлучохь дуккха а хан йоккхучеран, чӀогӀа маларш муьйлучеран ду.</verse>
				<verse number="31">ЧагӀар цӀен делахь а, цунах Ӏеха ма ло. Иза пхьегӀи чохь хаза ловзу, атта мала а ло.</verse>
				<verse number="32">Амма цул тӀаьхьа цо, мерзлаьхьано санна, це туху, дӀаьвше лаьхьано санна, цергаш а юхку.</verse>
				<verse number="33">Хьан бӀаьргашна хьалха хийра хӀуманаш хир ду, хьайн дагахь ахь кхетаме доцург дуьйцур ду.</verse>
				<verse number="34">Хьуна хьо сихачу хӀорда тӀехь волуш санна хетар ду, хьуна хьо хӀордкеманан лакхарчу декъехь Ӏуьллуш санна хетар ду.</verse>
				<verse number="35">Ахьа эр ду: «Цара йиттира суна, амма суна зе ца дина, чӀогӀа йиттира, амма суна иза хаа а ца делира. Со маца самавер ву те? И малар аса кхин а лохур ду».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="24">
				<verse number="1">Вочу нахах ма хьега, цаьрца цхьаьна хила а ма лаа.</verse>
				<verse number="2">Церан дегнаш чохь къиза хӀума дан Ӏалашо хуьлу, ткъа церан багара схьадолу къамелаш зуламах дуьзна хуьлу.</verse>
				<verse number="3">ЦӀенош хьекъалаллица деш ду, кхетам бахьана долуш ю цуьнан чӀогӀалла,</verse>
				<verse number="4">хааршкахула цуьнан чоьнаш юзуш ю езачу а, хазачу а хӀуманех.</verse>
				<verse number="5">Хьекъалалла долуш верг ницкъ болуш хуьлу, ткъа хаарш дерг чӀагӀлуш хуьлу.</verse>
				<verse number="6">ТӀом бан хьайна лууш хилча, нахах дагавала веза, хӀунда аьлча толам баккха дуккха а хьехамчаш оьшу.</verse>
				<verse number="7">Хьекъалалле кхача йиш яц сонтачийн. ГӀалин кевнехь ладаме хӀума дуьйцучу хенахь, церан ала хӀума ца хуьлу.</verse>
				<verse number="8">Вон дан ойла йолчу стеган, эладитанча ву аьлла, цӀе дӀагӀур ю.</verse>
				<verse number="9">Сонтачу стага дан мел леринарг къилахь ду. Кхечарах кхаьрдарг дегаза хета нахана.</verse>
				<verse number="10">Вон тӀедеанчу дийнахь хьо доьналлех воьхнехь, хьан ницкъ билггал кӀезиг бу.</verse>
				<verse number="11">Ӏожаллина тӀе буьгуш берш кӀелхьарбаха! Харцбахьанина байа хьаьхна берш бойучуьра кӀелхьарбаха!</verse>
				<verse number="12">«Цунах лаьцна ца хаьара тхуна», — ахь алахь, дегнаш Зуьйшволчо оцу хӀуманан тидам ца бо те? Хьан дахар лардеш Волчунна и хӀума дика хууш ду хьуна! Ша динчу гӀуллакхашка хьаьжжина, стагана доггӀург дӀалур ду Цо</verse>
				<verse number="13">Сан кӀант, моз даа, хӀунда аьлча иза дика ду. Алхашна чуьра моз мерза ду хьан маттана.</verse>
				<verse number="14">Иштта хьекъалалла а дика ду хьан синна — иза хаа ду хьуна. Хьекъалалла карадахь, хиндерг хир ду хьан, ткъа хьан сатуьйсийла цкъа а чекхъер яц.</verse>
				<verse number="15">Ӏеса адам санна, хьаналчу стеган цӀенна уллохь кӀелонаш а ма е, цуьнан хӀусам а ма йохае.</verse>
				<verse number="16">Делан лаамехь лелаш верг, ворхӀазза охьавоьжча а, хьалагӀоттур ву, ткъа Ӏесанаш — бохамаша охьаэгор бу.</verse>
				<verse number="17">Хьайн мостагӀчунна вон тӀедеача, сакъераделла ма хьовзалахь, иза, таса а велла, охьавожахь, самукъадаьлла а ма лелалахь.</verse>
				<verse number="18">Везачу Элана хьан сакъерадалар дӀагича, Иза реза хир вац хьуна, тӀаккха Цо Шен оьгӀазалла хьан мостагӀчунна тӀера юхайоккхур ю хьуна.</verse>
				<verse number="19">Зуламечу нахана оьгӀаз а ма эха, Ӏесачарах хьега а ма хьега,</verse>
				<verse number="20">хӀунда аьлча зуламечу нехан сатуьйсийла яц, Ӏесачеран чиркх а дӀабовр бу.</verse>
				<verse number="21">Везачу Элах кхералахь, сан кӀант, иштта паччахьах а кхера, ямартчу нахах дӀа а ма кхета,</verse>
				<verse number="22">хӀунда аьлча хьуна дагахь а доцучу хенахь цаьргара хьуна бохам бер бу. Хьуна хуур а дац цара хьайна хӀун бала бахьа.</verse>
				<verse number="23">Кхузахь хьекъалчеран дешнаш кхин а ду. Кхелахочо озабезам бар дика дац.</verse>
				<verse number="24">Бехке волчуьнга: «Хьо бехке вац», — кхелахочо алахь, халкъаша цунна неӀалташ кхайкхор ду, къаьмнашна иза дегаза а хетар ву.</verse>
				<verse number="25">Ткъа бехке волчунна кхел йийриг дика хир ву, иза чӀогӀа декъал а хир ву.</verse>
				<verse number="26">ДогцӀеначу дешнашца жоп луш верг бета тӀе доттагӀаллин оба йоккхург санна ву.</verse>
				<verse number="27">Цкъа хьалха хьайн керт а, хьайн кха а меттадаладе, цул тӀаьхьа цӀа дан волало.</verse>
				<verse number="28">Бахьана дацахь, хьайн уллорачунна дуьхьал теш ма хила, хьайн багахула харцдерг ара а ма далийта.</verse>
				<verse number="29">Иштта ма ала: «Иза соьца ма-хиллара, со а хир ву цуьнца, цунна доггӀург дӀалур ду аса».</verse>
				<verse number="30">Малончин кха долчухула тӀехвелира со, иштта хьекъал доцучун кемсийн бешана уллохула а тӀехвелира.</verse>
				<verse number="31">Массо а меттехь тӀедаьлла асар дара, иштта коканийн коьллаш а яра тӀеевлла, тӀулгех йина гонахара керт йохийна лаьтташ яра.</verse>
				<verse number="32">Цу массо а хӀумане а хьаьжна, аса ойла йира. Сайна гиначух иштта хьехар хилира суна:</verse>
				<verse number="33">«Жимма вижина Ӏуьллур ву со, — боху малончо, — жимма садоӀуш Ӏийр ву, жимма, куьйгаш тӀекӀел а дехкина, Ӏуьллур ву».</verse>
				<verse number="34">Амма хьо волчу къелла, къу санна, еана схьакхочур ю. Хьан эшар, талорхо санна, деана тӀекхочур ду хьуна.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="25">
				<verse number="1">ХӀорш ду Сулим-паччахьан кхидолу кицанаш, яхӀудхойн паччахь волчу Хьузакх-ЯхӀун ялхоша схьагулдина долу.</verse>
				<verse number="2">Нах Делан сийдеш бу, Цо цхьадолу хӀуманаш къайладахарна. Нах паччахьан сийдеш бу, цо хӀуманаш талларна.</verse>
				<verse number="3">Стигалан лакхалле а, лаьттан кӀоргалле а кхачалург цахилар санна, паччахьан дагах а кхета йиш яц.</verse>
				<verse number="4">Боьхачух цӀанде дети, говзанчина кад бан гӀирс лур бу ахьа.</verse>
				<verse number="5">Паччахьна уллора Ӏеса стаг дӀаваьккхича, нийсонехь чӀагӀлур ду цуьнан паччахьалла.</verse>
				<verse number="6">Паччахьна хьалха айхьа хьо хеста а ма ве, сийлахь болчийн метта охьа а ма хаа.</verse>
				<verse number="7">«Схьавола!» — аьлла, паччахьо хьо тӀекхайкхича дика хир ду, цхьана элана хьалха хьо сийсазваьккхина хуьлучул. Хьан бӀаьргашна гинарг бахьана долуш</verse>
				<verse number="8">стаг кхеле озо сих ма ло. Ахь хӀун дийр дара, хьайна уллорачо гӀуллакх къастийначул тӀаьхьа хьо юьхьӀаьржачу хӀоттийча?</verse>
				<verse number="9">Уллораниг хьайн гӀуллакхна кхеле озийча, кхечу стеган къайле гучу ма яккха.</verse>
				<verse number="10">Хьо иштта лелаш велахь, иза хезначо хьо юьхьӀаьржачу хӀоттор ву, и юьхьӀаьржо хьо мел веха хьоьца хир ю.</verse>
				<verse number="11">Даточу пхьегӀи чохь Ӏуьллучу дашочу Ӏежех тера хуьлу доггӀучохь аьлла долу дош</verse>
				<verse number="12">Хьекъал долчу стеган нисваран дош дашочу чӀагарал а, уггар цӀеначу деших динчу туьтел а деза ду ладогӀа хуучу лергана.</verse>
				<verse number="13">Ялта чудерзочу хенахь лайн шело санна хуьлу ша дӀахьажийначунна тешаме волу геланча — шен олахочун дог ойу цо.</verse>
				<verse number="14">ДогӀа ца луш йолу марханаш а, мох а санна ду, совгӀат дийр ду а аьлла, иза цадар.</verse>
				<verse number="15">Собарца куьйгалхочун ойла корчуьйту, ткъа эсалчу къамело кхоччуш чӀогӀа йолу ойла а хуьйцу.</verse>
				<verse number="16">Хьайна моз карадахь, шен барамехь даа иза, тӀех дукха а диъна, и моз схьа ца Ӏетторхьама.</verse>
				<verse number="17">Иштта хьайн доттагӀчун цӀа эхар а лагӀде, хьо кӀорда а вайтина, цуьнан хьайга цабезам ца кхоллабалийтархьама.</verse>
				<verse number="18">Чхьонкар я тур, я ира пха санна хуьлу шена уллорачунна дуьхьал харцтоьшалла деш волу стаг.</verse>
				<verse number="19">Вон тӀедеанчу хенахь тешаме воцучунна тӀетовжар — лозуш йолу церг я астагӀа ког санна хир ду хьуна.</verse>
				<verse number="20">Баланехь волчу стагана ирсе эшарш лекхар цуьнгара шийлачу дийнахь тӀера бедар схьаяккхар санна ду, я чевнна тӀебутту туьхаберам санна ду.</verse>
				<verse number="21">Хьайн мостагӀа меца велахь, цунна бепиг ло, иза хьогах велахь — хи ло:</verse>
				<verse number="22">иштта дерг дарца цуьнан коьрта тӀе догуш долу кӀегий гулдо ахьа, ткъа Везачу Эло хьуна ял лур ю.</verse>
				<verse number="23">Къилбаседехьара схьахьоькхуш болчу мохо догӀанаш дахьаре терра, эладита дечун матто оьгӀазе хьежар дахьа.</verse>
				<verse number="24">Шерачу тхевнан цхьана сонехь Ӏар гӀоле ду, къийса лууш йолчу зудчуьнца цхьаьна цӀа чохь Ӏачул.</verse>
				<verse number="25">Генарчу махкара болу хаза кхаъ хьогах волчу стагана шийла хи санна бу.</verse>
				<verse number="26">Даьржина хи санна я бехдина шовда санна ву Ӏесачу стагана хьалха къарлуш волу дика стаг.</verse>
				<verse number="27">Моз тӀех даар вон хӀума хиларе терра, нуьцкъаш шен сий дайтар сий хилар дац.</verse>
				<verse number="28">Гонахара пен бохийна лаьтташ йолу гӀала санна ву са ца тохалуш волу стаг.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="26">
				<verse number="1">Аьхка диллина ло а, ялта чудерзочу хенахь догӀу догӀа а санна товш доцуш хуьлу сонтачун сий дар.</verse>
				<verse number="2">Хьоза дӀасаэккхар санна а, чӀегӀардиг дӀасаэхар санна а, иштта бахьана доцуш боьллина болу сардам, тӀех а баьлла, кхочушхир бац.</verse>
				<verse number="3">Шад — говрана, дуьрста — вирана, ткъа гӀаж сонтачун букъана лерина хуьлу.</verse>
				<verse number="4">Сонтачун сонталле хьаьжжина ма ло жоп, хьо а цунах дӀа ца тарвалийтархьама.</verse>
				<verse number="5">Сонтачунна цуьнан сонталле хьаьжжина дала деза жоп, шен бӀаьргашкахь цунна ша хьекъале ву ца моттийтархьама.</verse>
				<verse number="6">Сонтачуьнгахула хабар дохьуьйтуш верг шен когех дӀахедаш я дӀовш молуш верг санна ву.</verse>
				<verse number="7">Хьекъал доцучун багара долу кица, астагӀчун когаш санна, ледара ду.</verse>
				<verse number="8">Сонтачун сий дар ширдолагца тӀулг дӀабехкар санна ду.</verse>
				<verse number="9">Сонтачун багара долу кица, мелла волчу стеган куьйгах дахана кӀохцал санна, жима хуьлу.</verse>
				<verse number="10">Массарна а чевнаш еш, пхерчий кхуьссург санна ву, сонтаниг я мила ву а ца хууш волу стаг шена болх байта лоцуш верг.</verse>
				<verse number="11">Шен Ӏетторашна тӀе юхадоьрзу жӀаьла санна, сонтаниг а шен сонталлина тӀегӀерта.</verse>
				<verse number="12">Ша хьекъал долуш вацахь а, ша иштта хеташ верг сонтачу стагал а оьшу.</verse>
				<verse number="13">Малончо олу: «Некъа тӀехь лом ду! Экха ду урамнекъашкахула лелаш!»</verse>
				<verse number="14">Шен кӀажаш тӀехь дӀасаетталуш йолу неӀ санна, иштта малонча а хуьлу шен меттахь дӀасакерчаш.</verse>
				<verse number="15">Малончо шен куьг бошхепа тӀе хьо, ткъа иза шен бете хьаладаьхьна валале, иза кӀадло.</verse>
				<verse number="16">Кхетамца къамелаш дечу ворхӀаннал а ша хьекъале хета малончина.</verse>
				<verse number="17">Шен гӀуллакх доцучу нехан девнна юккъе гӀортар тӀехдолучу жӀаьлин лергаш озор санна ду.</verse>
				<verse number="18">Хьераваьллачо нах хӀаллакбеш кхуьссуш долу а, догуш долу а пхерчий кхийсар санна хӀума ду,</verse>
				<verse number="19">шена уллораниг Ӏеха а вина, цуьнга: «Ас бегаш бира!» алар.</verse>
				<verse number="20">Дечиг дӀадаьлча, цӀе а дӀайов, эладита чекхдаьлча, дов а дӀадолу.</verse>
				<verse number="21">КӀегашна тӀера йовхо хьалайолу, дечигах — цӀе хьалайолу, ткъа къиссавалар дезаш волчун хабар бахьана долуш дов долу.</verse>
				<verse number="22">Лере аьлла дешнаш мерза даар санна хуьлу. Уьш нийсса адаман кийра дуьссу.</verse>
				<verse number="23">Дато басахь долу басар хьаькхначу поппаран кхабанах тера ву вон дог долу эсала къамелаш дийриг.</verse>
				<verse number="24">Хьо ца везаш волчу стага хесторан къамелаш дахь а, шен дагахь цо тешнабехк латтабо.</verse>
				<verse number="25">Цуьнан аз эсала делахь а, цунах ма теша, хӀунда аьлча цуьнан дог тӀех дегазаллах дуьзна ду.</verse>
				<verse number="26">Шен цабезам иза Ӏехорца дӀалечкъош велахь а, цуьнан мекарло массарна а гучуер ю.</verse>
				<verse number="27">Кхечунна ор доккхург цу ор чу ша вужур ву, ткъа цхьанна тӀе боккха горга тӀулг охьакарчийта гӀертачунна и тӀулг цунна шена тӀекерчар бу.</verse>
				<verse number="28">Харцматтаца дуьйцучунна ша лазабо нах ца беза, иштта томана дуьйцучо а бохам бо.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="27">
				<verse number="1">Кханалера де ма хестаде, хӀунда аьлча хьуна ца хаьа цо хӀун дахьа.</verse>
				<verse number="2">Хьо айхьа а ца хеставеш, кхечуьнга хеставайта, хьайн багахула а ца хуьлуш, кхечун багахула хилийта и хастораш.</verse>
				<verse number="3">ТӀулг беза бу, гӀум а яц яйн, амма сонтачу стага бахьа бала лан кхин а хала ду.</verse>
				<verse number="4">ОьгӀазалла къиза ю, дералла а хи тӀедалар санна ю, амма мила латталур ву хьегарна хьалха?</verse>
				<verse number="5">Ма-дарра олучу дешнашца стаг нисвар гӀоле ду, доттагӀчуьнга болу безам къайлабахьарал.</verse>
				<verse number="6">Хьо везачо доху бехкаш бакъ ду, хьо ца везачо йоху обанаш харц ю.</verse>
				<verse number="7">Вуьзначу стага моз а дӀатоттур ду, амма меца волчунна къаьхьаниг а мерза хетар ю.</verse>
				<verse number="8">Шен цӀенна генаваьлла волу стаг бенна генадаьлла лела олхазар санна ву.</verse>
				<verse number="9">ДухӀи а, хаза хьожа а бахьана долуш стеган дог доккхадоь, иштта доттагӀчо даггара до хьехар — иза доттагӀаллин марзо ю.</verse>
				<verse number="10">Хьайн а, хьайн ден доттагӀий а дӀа ма таса. Хьайна тӀе бохам беача, гергарчарна тӀе ма гӀо: хьуна уллохь вехаш волу лулахо гӀоле ву хьуна, генахь волчу вешил а.</verse>
				<verse number="11">Хьекъале хила, сан кӀант, сан дог доккха а дедеш, тӀаккха суна халахетийтиначаьрга ала хӀума хир ду сан.</verse>
				<verse number="12">Хьекъал долчо бохам хир бу аьлла шена хетча, цунах ша ларвойту, ткъа боданера нах нийсса цунна тӀебоьлху, тӀаккха цунна тӀера жоьпе а озор бу уьш.</verse>
				<verse number="13">Хийрачу стагах адамо ша дош делча, цунах бедар яккха. Закъалтана йита иза, нехан зудчух цо жоп луш хилча.</verse>
				<verse number="14">Ӏуьйранна хьалххе доккхачу озаца уллорачуьнга маршалла хаттахь, иза цунна шена неӀалт кхайкхор санна хетар ду.</verse>
				<verse number="15">Къийсалуш йолу зуда кхоьлинчу дийнахь леда ладар санна ю.</verse>
				<verse number="16">Иза сацо гӀортар мох сацо гӀортар санна ду, я шен шина куьйга юкъахь даьтта сацо гӀортар санна ду.</verse>
				<verse number="17">Аьчка урс эчигна тӀе хьокхуш ирдаре терра, цхьана стага кхечу стеган аьрталла дӀайоккху.</verse>
				<verse number="18">Инжиран диттан дола деш волчо цуьнан стом буур бу, ткъа шен олахочун гӀуллакх деш волчун сий а хир ду.</verse>
				<verse number="19">Стаг хи чу хьаьжча, цунна шен сибат го, иштта адаман даго и стаг ма-варра схьагойту.</verse>
				<verse number="20">Эхарт а, хӀаллакьхиллачийн дуьне а цкъа а Ӏаьбна цахиларе терра, адаман бӀаьргаш а ца Ӏеба.</verse>
				<verse number="21">Дети кеда чохь цӀандо, деши кхерча чохь зело, ткъа наха хасторца зуьйш хуьлу адам.</verse>
				<verse number="22">Сонтаниг кохьар чохь кӀенца цхьаьна аьхьча а, цуьнан сонталла дӀаяккхалур яц.</verse>
				<verse number="23">Хьайн жашна дикка тӀехьажа, хьайн бажа леррина Ӏалашбе,</verse>
				<verse number="24">хӀунда аьлча хьал массо а хенахь ца лаьтта. Ур-атталла таж а массо а хенахь ца кхочу кхечу тӀаьхьенна дӀа.</verse>
				<verse number="25">Йол а хьаькхна, керла буц хьалайолучу хенахь, лаьмнашкарчу цанашна тӀера буц схьахьаькхначу хенахь,</verse>
				<verse number="26">Ӏахарех хьуна тӀеюху хӀума хир ю, ткъа гезарех — кхаш эцар хир ду.</verse>
				<verse number="27">Хьо а, хьан доьзал а кхаба а, иштта хьан гӀарбашаш дийна хилийта а тоъал гезарийн шура хир ю хьан.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="28">
				<verse number="1">Ӏеса стаг ведда лела, шена тӀаьхьаваьлла лелаш цхьа а воццушехь, ткъа дика стаг, лом санна, майра хуьлу.</verse>
				<verse number="2">Махкахь адам карзахдаьлла лелачу хенахь, дуккха а куьйгалхой гучубовлу, амма хьекъалалла а, кхетам а болчу куьйгалхочуьнца и мохк лаьттар бу.</verse>
				<verse number="3">Миска нах хьийзош волу къен куьйгалхо тӀехь хӀума хьалаяьлла долу латта дӀахьош долу догӀа санна ву.</verse>
				<verse number="4">Товрат-хьехам кхочушбеш воцург Ӏесачу нахаца ву, амма иза кхочушбеш хьо велахь, хьо цу нахана дуьхьал ву.</verse>
				<verse number="5">Вон нах нийса долчух ца кхета, амма Веза Эла лохуш берш цу дерригенах а кхета.</verse>
				<verse number="6">Къен а волуш, кхоччуш цӀена лела стаг тоьлу, гомачу некъаш тӀехула лелаш волчу хьоладел.</verse>
				<verse number="7">Хьекъал долчу кӀанта товрат-хьехам кхочушбо, ткъа кӀадбоцучарна улло гӀерташ волчо шен да юьхьӀаьржачу хӀиттаво.</verse>
				<verse number="8">Ахчанна тӀе сов ял яккхарца ахь хьал гулдахь, хьан хьал къечу нахаца дика хуьлучунна дӀакхочур ду.</verse>
				<verse number="9">Товрат-хьехаме ладогӀа хьан лаам ца хилахь, хьан доӀа а Везачу Элана дегаза хетар ду.</verse>
				<verse number="10">ДогцӀена верг вочу некъаца туьлуьйтург цо-ша хӀоттийначу гура чу оьккхур ву, ткъа ала хӀума доцучу нахе диканиг кхочур ду.</verse>
				<verse number="11">Хьалдолчунна ша хьекъалалла долуш ву аьлла хета, амма хьекъал долу къениг цунах доллучух кхетар ву.</verse>
				<verse number="12">Хьанал стаг куьйгалле веача, массо а воккхавеш хуьлу, амма Ӏесаниг хьалаваьлча, массо а къайлаволу.</verse>
				<verse number="13">Стага шен къинош лечкъош хилча, цуьнан аьтто хир бац, амма, цо уьш тӀе а лаьцна, ша нийса лелаш цахилар нахана дӀа а хаийтина, уьш дӀатасахь, цунах къинхетам бийр бу.</verse>
				<verse number="14">Декъала ву Везачу Эле ларамах вуьзна верг, амма вухахьаволучо шена тӀе бала бахьар бу.</verse>
				<verse number="15">Ӏесачу куьйгалхочо мискачу нахана тӀехь куьйгалла дечу хенахь, иза гӀигӀ деш долу лом а, дера ча а санна хуьлу.</verse>
				<verse number="16">Хьекъал доцучу куьйгалхочо шен халкъана гӀело йо, амма харц са яккхар цадезарг дуккха а куьйгаллехь лаьттар ву.</verse>
				<verse number="17">ЦӀий Ӏанийна волу стаг ша велла дӀаваллалц ведда лелар ву. Цхьаннах а цунна тӀетовжийла ма хуьлийла.</verse>
				<verse number="18">Нийсачу некъа лела стаг баланех кӀелхьарвоккхур ву, ткъа хаа а хууш харцнекъа тӀе ваьлларг цӀеххьана вужур ву.</verse>
				<verse number="19">Лаьттан дола деш волу стаг меца вуьсур вац, ткъа эрна ойланаш еш лелаш волчунна къоьлла евзар ю.</verse>
				<verse number="20">Бакъволчу стагана диканиг дийр ду, ткъа хьолана тӀаьхьаваьлла лелаш волчунна бекхам хир бу.</verse>
				<verse number="21">Кхелахочо озабезамаш бар дика дац. Делахь а, уггар жима кхаъ схьа а эцна, стага къа лато тарло.</verse>
				<verse number="22">Сутарчу стеган Ӏалашо сихха хьал гулдар ю, цунна ца хаьа, къоьлла шена мел уллохь ю.</verse>
				<verse number="23">Стагера даьлла гӀалат цуьнга дӀадийцинарг тӀаьххьара а дика хетар ву, мотт хьоькхуш долчу адамал.</verse>
				<verse number="24">Цхьаболчара дений, нанний къола до: «Иза къилахь дац», — бохуш. И нах, адамаш дойу зуламхой санна, вон нах бу.</verse>
				<verse number="25">Шена пайда лохуш волчу стага девнаш доху, ткъа Везачу Элана тӀетевжачо дика хьоьгу.</verse>
				<verse number="26">Ша-шех тешна Ӏаш волу стаг сонта ву, ткъа хьекъалаллица лелаш верг кӀелхьарвоккхур ву.</verse>
				<verse number="27">Къечаьрца комаьрша волчунна къелла гур яц, амма царна букъ берзош волчо шена неӀалташ гулдо.</verse>
				<verse number="28">Ӏеса нах куьйгалле баьхкича, адам къайладолу, амма, уьш хӀаллакьхилча, хьанал нах куьйгаллехь хир бу.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="29">
				<verse number="1">Шех бехк мел баьккхи, оьгӀазвоьду стаг цӀеххьана дарба ца хиллал тоьхна хир ву.</verse>
				<verse number="2">Дика стаг куьйгаллехь хилча, халкъ самукъадаьлла хуьлу, ткъа Ӏесаниг куьйгалле веача, иза узарш деш хуьлу.</verse>
				<verse number="3">Хьекъалалла дезаш волчо шен ден самукъадоккху, ткъа нахаца лелаш болчу зударшца гергарло лелош волчо цуьнан бахам хӀаллакбо.</verse>
				<verse number="4">Паччахьан нийсачу кхело пачхьалкх чӀагӀйо, ткъа тӀех сов ял яккхарца пачхьалкх хӀаллак а йо цо.</verse>
				<verse number="5">Шена уллорачунна мерза дешнаш дуьйцуш волчо ша-шена гур бугӀу.</verse>
				<verse number="6">Вочу стеган къинош цунна хӀоттийна болу гур бу, ткъа хьанал стаг самукъадолуш, воккхавеш хир ву.</verse>
				<verse number="7">Дикачу стага къечу нехан гӀуллакх дикка толлу, ткъа Ӏесачо цуьнан тидам а ца бо.</verse>
				<verse number="8">Кхаьрдаш болчу наха гӀала меттахйоккху, ткъа хьекъал долчара оьгӀазалла дӀаерзайо.</verse>
				<verse number="9">Хьекъалдолчо сонтаниг кхеле валош хилча, иза оьгӀаз а воьду, кхарда а кхаьрда, цундела машар а хир бац.</verse>
				<verse number="10">Нах бойуш лелачарна цӀена стаг а ца веза, ткъа догцӀена берш иза ларвеш хуьлу.</verse>
				<verse number="11">Сонтачо шен оьгӀазалла массарна а гойту, ткъа хьекъалдолчуьнгахь собар хуьлу.</verse>
				<verse number="12">Куьйгалхочо харцоне ладугӀуш хилча, цунна уллоранаш а харцонна тӀехь лаьтта.</verse>
				<verse number="13">Къениг а, иза вацош верг а цхьатерра ву — цу шиннан а бӀаьргашна серло Везачу Эло елла.</verse>
				<verse number="14">Паччахь къечу нахана нийсонца кхел еш хилахь, цуьнан паччахьалла дехха лаьттар ду.</verse>
				<verse number="15">ГӀожо а, нисваро а хьекъалалла ло, амма дӀатесна дитина бер ненан юьхьӀаьржо ю.</verse>
				<verse number="16">Ӏесанаш дукха баьржича, зуламаш а совдуьйлу, ткъа бакъахьарачу нахана церан хӀаллакьхилар гур ду.</verse>
				<verse number="17">ТаӀзар дарца нисве хьайн кӀант, тӀаккха цо хьо марша Ӏойтур ву. Хьан даг чохь сакъерар хуьлуьйтур ду цо.</verse>
				<verse number="18">Пайхамаралла ца хилча, халкъ ша юха ца узу. Амма декъала ву товрат-хьехаме ладугӀург.</verse>
				<verse number="19">Лай дешнашца Ӏамалур вац, хӀунда аьлча, ша цу дешнех кхетташехь, цо аьлларг ца до.</verse>
				<verse number="20">Ойла а ца еш, вистхуьлуш верг гиний хьуна? Сонтачунна а дуккха а пайдане сатуьйсийла ю, цунна чул.</verse>
				<verse number="21">Бераллехь дуьйна лена массо а хӀума могуьйтуш хилча, тӀаьхьо цунах аьрханиг хир ву.</verse>
				<verse number="22">ОьгӀазечо девнаш доху, оьгӀазаллех кхехкачо дуккха а вонаш до.</verse>
				<verse number="23">Ша кхечарал лакхара хеташ верг лохха хӀоттор ву, ткъа эсала са долчун сий хир ду.</verse>
				<verse number="24">Къуьнан накъост хилларг ша-шена мостагӀа ву. Хуучух лаьцна чӀагӀо ярца тоьшалла де шега аьлча, вист а ца хуьлуш Ӏаш ву иза.</verse>
				<verse number="25">Адамех кхерар — стагана хӀоттийна гур бу, ткъа Везачу Элана тӀетевжаш верг кӀелхьарвоккхур ву.</verse>
				<verse number="26">Дукхахболчара куьйгалхочуьнца гергарло лоьху, амма адаман дахарна кхел яр Везачу Элан карахь ду.</verse>
				<verse number="27">Хьанал нах ца беша Ӏесачу нахах, ткъа Ӏесанаш бакъахьа лелачарах а ца беша.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="30">
				<verse number="1">ХӀара хьекъале а, Делера долу а дешнаш Якхайн кӀентан АгӀуран ду. Итиале а, Укале а дӀадийцина ду хӀорш:</verse>
				<verse number="2">«Адамах тера а воцуш, сонтачу хьайбанах тера ву со, соьгахь адамехь болу кхетам а бац.</verse>
				<verse number="3">Хьекъалалла аса Ӏамийна а дац, Везачу Делах лаьцна сан хаарш а дац.</verse>
				<verse number="4">Мила ву, стигала хьала а ваьлла, юхавирзинарг? Мила ву шен карахь мох сацийнарг? Мила ву шена тӀекхоьллинчу обанна юкъахь хи сацийнарг? Мила ву дуьненан доза хадийнарг? Муха ю цуьнан цӀе? Муха ю цуьнан кӀентан цӀе? Хьуна хууш дуй иза?</verse>
				<verse number="5">Делан хӀора дош зийна бакъ ду: Иза Шена тӀевеанчунна турс хуьлий дӀахӀутту.</verse>
				<verse number="6">Цуьнан дешнашна тӀе хӀумма а тӀе ма тоха, иза ахьа дахь, Цо хьо гучу а воккхур ву, хьо харцдерг дуьйцуш хилар дӀа а гойтур ду».</verse>
				<verse number="7">Ши хӀума ду ас Хьоьга доьхуш, со валале тӀеэцахьа сан дехар, Веза Эла.</verse>
				<verse number="8">Даьссаниг а, харцдош а суна гена даккхахьа, суна я къоьлла а, я бахам а ма лохьа, Суна доггӀучул кхачанан дакъа схьадустахьа.</verse>
				<verse number="9">Суна догӀучул дукха хӀума сан хилахь, со Хьох дӀакъаста мега, «Веза Эла мила ву?» — бохуш. Амма со къен хилахь, аса хӀума лачкъо мега, тӀаккха Хьан цӀе аса бехйийр ю.</verse>
				<verse number="10">Олахочунна хьалха цуьнан лех лаций вон дош ма ала, цуьнга хьайна неӀалташ ца кхайкхадайта а, хьо цу гӀуллакхна жоьпе ца озавайта а.</verse>
				<verse number="11">Шайн дайшна а неӀалт боху нах хуьлу, ткъа цара шайн наной декъал а ца бо.</verse>
				<verse number="12">Шаьш цӀена бехаш бу моьтту нах а хуьлу, ма-дарра аьлча, шайн боьхучух уьш цӀан ца бинехь а.</verse>
				<verse number="13">Кура а, шаьш лакхара хеташ болу нах а хуьлу, уьш, шайн кортош хьала а айдина, лаккхара хьоьжу.</verse>
				<verse number="14">Тарраш санна, цергаш йолу нах а хуьлу. Церан моччагӀалш арсаш санна хуьлу. Церан Ӏалашо хуьлу къен нах дӀакхалла а, адамашна юкъара пекъарш цистина дӀабаха а.</verse>
				<verse number="15">ЦӀубдаран ши йоӀ ю, цара гуттар а боху: «Схьало, схьало, схьало». Кхо хӀума ду, цкъа а дузур доцуш, «Тоьар ду!» цкъа а эр доцу диъ хӀума ду:</verse>
				<verse number="16">Иза адаман каш а ду, бер ца хуьлу зуда а ю, догӀа даре сатуьйсуш долу дакъаделла латта а, иштта йогуш йолу цӀе а ю, цкъа а «тоьар ду» эр доцуш йолу.</verse>
				<verse number="17">Цавашарца дега хьоьжуш волчун бӀаьргашна тӀе ломъаьрзунаша зӀакарш еттар ю, ткъа ненан доладар дӀатоттуш волчун бӀаьргаш тогӀин хьаргӀанаша дӀакхоллур бу.</verse>
				<verse number="18">Сан кхетам тӀе ца кхуьу кхо хӀума ду, диъ хӀума а ду со ца кхеташ:</verse>
				<verse number="19">стигалахь лелачу аьрзунан некъ, тархашна юкъахь лелачу лаьхьанан некъ, хӀорда тӀехула дӀадоьдучу хӀордкеманан некъ, иштта стеган йоӀе боьдучу безаман некъ.</verse>
				<verse number="20">Ткъа ямарта хуьлучу зудчун некъ иштта бу: хӀума а кхаьллина, бетах куьг а хьаькхна, цо олу: «Ас цхьа а вониг ца дина».</verse>
				<verse number="21">Кхо хӀума ду, дуьне дегош долу, цуьнга лалуш доцу диъ хӀума а ду:</verse>
				<verse number="22">паччахь хилла дӀахӀутту волу лай, муьлххачу кхачанах вуьзна волу сонтаниг,</verse>
				<verse number="23">хьалха ца езаш хилла йолу, ткъа хӀинца маре йоьду зуда, иштта шен хӀусамненан метта оьцуш йолу гӀарбаш.</verse>
				<verse number="24">Дуьнен чохь йиъ жима хӀума ю, амма уьш хьекъал долчарна юкъахь уггар хьекъал долуш ю:</verse>
				<verse number="25">кӀезиг ницкъ болуш ду зингатий, амма цара аьхка дуьйна шайна кхача кечбо;</verse>
				<verse number="26">лаьмнийн дехкий, шаьш нуьцкъала дацахь а, цара херонашкахь шайна Ӏойла кечйо;</verse>
				<verse number="27">цӀазана тӀехь паччахь ца хуьлу, амма уьш нийсачу могӀаршкахь лела;</verse>
				<verse number="28">моьлкъа куьйгашца а схьалацало, амма иза паччахьан цӀа чохь а беха.</verse>
				<verse number="29">Кхо хӀума ду, хаза лелаш долу, майра болар долу диъ хӀума ду:</verse>
				<verse number="30">лом, акхарошна юкъахь уггар ницкъ болуш долу а, цхьана а хӀуманах ца кхоьруш долу а;</verse>
				<verse number="31">кура болар долу нӀаьна а, бож а, иштта шен эскарна коьртехь лелаш волу паччахь а.</verse>
				<verse number="32">Нагахь, хьо лакха а воккхуш, хьо сонта хиллехь, я зулам дан хьайна ахьа дагадаийтахь, бета тӀехь долчу куьйгаца хьайн вистхилар сацаде!</verse>
				<verse number="33">ХӀунда аьлча шура лийсаро даьтта кхолларе терра а, мерах тохаро цӀий кхолларе терра а, оьгӀазалла карзахъяккхаро къийсар кхуллу.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="31">
				<verse number="1">ХӀорш ду, нанас хьехна долу, Ламуал-паччахьан хьекъале дешнаш:</verse>
				<verse number="2">«Дала, ас Шега динчу доӀанашна жоп луш, суна велла волу сан хьоме кӀант!</verse>
				<verse number="3">Зударий бахьана долуш ахьа хьайн ницкъ а ма байалахь, паччахьаш хӀаллакбеш йолчуьнца хьо лела а ма лелалахь.</verse>
				<verse number="4">Ламуал, хьекъале дац паччахьашна чагӀар мийлар, иштта хьекъале дац олахошна а маларш мийла лаар.</verse>
				<verse number="5">ХӀунда аьлча, дукха мала а мелла, царна дицдала тарло бакъонаша хӀун боху, тӀаккха цара Ӏазапехь болчарна тӀехь нийса кхел а йийр яц.</verse>
				<verse number="6">Ахьа и вахош долу малар мискачарна а, шайн дахар къаьхьа долчарна а дӀало.</verse>
				<verse number="7">ТӀаккха, и чагӀар а мелла, царна дицлур ду шаьш миска хилар а, шаьш баланехь хилар а.</verse>
				<verse number="8">Ахьа, шайх дош ца далалуш, багахь мотт боцучаьргахьа а озалахь, бо бисиначаьргахьа бакъонца гӀо а даккхалахь.</verse>
				<verse number="9">Иштта, ахьа цаьргахьа дош а алалахь, царна тӀехь нийса кхел а яйталахь. Къечеран а, мискачеран а бакъонаш ларъяр тӀехь хьайн нийса дош алалахь».</verse>
				<verse number="10">А тта дац дика а, оьзда а йолу зуда каро, ткъа иштта йолчу зудчун мах жовхӀарийн мехал а лакхара бу.</verse>
				<verse number="11">Б аланаш хир бац ишттачух а тешна Ӏаш волчу майрачун, къелла бохург хӀун ду а хуур дац цунна.</verse>
				<verse number="12">В ониг шегара ца долуьйтуш, ша мел еха а, дика до цо шен майрачунна.</verse>
				<verse number="13">Г о иза, вета а, тӀаргӀа а лелош, шена лаа а лууш, шен куьйгашца цунах бедарш еш.</verse>
				<verse number="14">Д аима а, совдегарийн хӀордкеманаша санна, геннара дахьа цо шена рицкъа.</verse>
				<verse number="15">Е за иштта йолу зуда сатасале хьалагӀатта. ТӀаккха цо доьзална кхача а кечбо, шен гӀарбашашна дан деза омра а до.</verse>
				<verse number="16">З удчунна латта лело дагадеача, и латта а оьцу цо. ТӀаккха цунах даьллачу беркатах кемсийн таьллангаш а дӀаюгӀу цо.</verse>
				<verse number="17">И штта, цо дукха къа а хьоьгу, цуьнан ницкъ а кхочу муьлхха а болх бан.</verse>
				<verse number="18">К ъеггина стогар летта хуьлу ишттачу зудчун буьйса тӀехтиллалц, ткъа ша ден гӀуллакх дикка пайден дуй а хаьа цунна.</verse>
				<verse number="19">Л акхара охьа цо шен куьг урчакхна тӀе а кхийдадо, цу урчакхан гӀад шен пӀелгашца схьа а лоцу.</verse>
				<verse number="20">М искачунна а, гӀо оьшуш волчунна а шен комаьрша куьг кховдадо цо.</verse>
				<verse number="21">Н ийсса шен доьзалехь оьшшучул тӀеюха йовха бедарш ша кечйина дела, Ӏаьнан шело тӀеярах а ца кхоьру иштта йолу зуда.</verse>
				<verse number="22">О цу зудчо шен цӀа чохь оьшун болу мотт-гӀайба а бо, цунна шена тӀехь а хуьлу дезачу кӀадинах йина бедарш.</verse>
				<verse number="23">П айденца гӀараваьлла дӀахӀутту ишттачу зудчун майра, иза лараме долчу гӀуллакхех лаьцна а дуьйцуш, къаношца гӀалин кевнехь хиъна Ӏачу хенахь.</verse>
				<verse number="24">Р езабеш эцархой, цо шаршуш а еш, уьш а юхку, доьхкарш а духку совдегаршна.</verse>
				<verse number="25">С ин оьздангалла а, доьналла а ду-кх цуьнан духар. Дегайовхо а йолуш, тешамца хьоьжу и зуда кханенга.</verse>
				<verse number="26">Т Ӏех хьекъал долу хӀума а олу цо, хьекъале хьехамаш бан а хаьа цунна.</verse>
				<verse number="27">У р-атталла, ша къа а хьоьгуш, баьккхина боцу кхача а ца боу цо, шен цӀахь долчуьнца бала а бу цуьнан.</verse>
				<verse number="28">«Х ьо декъалниг ю», — олу цуьнга цуьнан бераша а, хьала а гӀовттуш, цуьнан майрачо а хестайо иза.</verse>
				<verse number="29">Ц уьнан майрачо иштта олу: «Дукха бу дика а, оьзда а зударий, амма хьоьга кхочуш царах цхьа а яц».</verse>
				<verse number="30">Ш а коча йолчу зудчо Ӏеха а во, хазалла а — сарралц бен яц. Ткъа хасто хьакъ долуш ю-кх Везачу Элах кхоьруш йолу зуда.</verse>
				<verse number="31">Ӏ ойла иза, цо динчу гӀуллакхашна цунна доггӀург наха дӀа а луш, ткъа оцу гӀуллакхаша гӀалин кевнехь сий а ойийла цуьнан.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="21">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">Ярушалайм-гӀалин паччахь волчу а, Даудан кӀант волчу а устазо дина къамел иштта ду.</verse>
				<verse number="2">«Ма кӀорга къайле ю! — олу устазо, — Ма кӀорга къайле ю! Ма дукха хӀума ду вайн кхетам тӀе ца кхуьуш!</verse>
				<verse number="3">Стигална кӀел къахьоьгуш, ша мел динчу хӀуманах буьсун болу хӀун пайда оьцу адамо?</verse>
				<verse number="4">Адамийн тӀаьхье дӀа а йолу, керла тӀаьхье тӀе а кхуьу, ткъа латта абаденналц лаьтта.</verse>
				<verse number="5">Малх схьа а кхета, малх дӀа а бузу, иза юха а ша схьакхетачу метте баха сихло.</verse>
				<verse number="6">Мох къилбехьа а хьокху, къилбаседехьа юха а боьрзу. Иза, хьийзий, хьийзий, юха а шен метта схьабоьрзу.</verse>
				<verse number="7">Дерриге а хиш хӀорда чу хьовду, амма хӀорд цкъа а тӀех ца болу. Шаьш схьадевллачу метте юхадоьрзу и хиш.</verse>
				<verse number="8">Массо а гӀуллакх саццаза дӀаоьху, Дийца долчух дерриг а цхьаьнгга а дийца лур дац. Хьежарх бӀаьрг а бузур бац хьан, ладегӀарх — лерг а дузур дац.</verse>
				<verse number="9">Хьалха хилларг юха а хуьлу, ткъа хьалха диннарг юха а дийр ду, стигална кӀел керла хӀумма а дац.</verse>
				<verse number="10">Цхьаццаммо олу: „Хьажахьа, хӀара керла хӀума ду!“ Амма иза а хилла ширачу заманахь, вайн заманал дуккха а хьалха.</verse>
				<verse number="11">Хьалха хилла адамаш цхьанна а хӀинца дага а ца догӀу, ткъа хӀинца дуьйна хиндолу адамаш дагадогӀур дац царна тӀаьхьа хир долчу адамашна а».</verse>
				<verse number="12">Устаз волчу аса Ярушалайм-гӀаларчу Исраилан халкъана тӀехь паччахьалла дора.</verse>
				<verse number="13">Сан даго къобалдира кху стигална бухахь адамаша кхочушдо гӀуллакхаш, хьекъалдолчара ма-дарра, кхоччуш таллар. Ма хала бу-кх Дала адамашна кхочушбан белла и болх!</verse>
				<verse number="14">Стигална кӀел деш долу дерриге а гӀуллакхаш а гира суна. Уьш дерриш а, махана Ӏуналла дан гӀертар санна, кхетам тӀе ца кхуьу хӀуманаш ду.</verse>
				<verse number="15">Сеттина йолу хӀума нис а лур яц, ткъа доцург дагар а лур дац.</verse>
				<verse number="16">Ас сайн дагахь элира: «Хьажал, сайл хьалха Ярушалаймана тӀехь олалла деш хиллачу массарал а чӀогӀа хьалаваьлла со хьекъалаллица. Дуккха а кхетамалла а, хьекъалалла а тӀекхетта суна».</verse>
				<verse number="17">Сан даго къобалдира хьекъал довзар а, иштта хьекъалх тилар а, сонталла хилар довзар а. ТӀаккха со кхийтира, иза а, махана Ӏуналла дан гӀертар санна, хӀума дуйла.</verse>
				<verse number="18">Доккхачу хьекъалаллах боккха бала хуьлу, ткъа шена кхетам гулбечо гӀайгӀа гулйо.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Аса сайн дагахь элира: «Самукъадаккхарца зуьйр ву ас со, сайна ирсе хилар хӀун ду довзийтархьама!» Амма аса жамӀ дира, иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду аьлла.</verse>
				<verse number="2">Гуттар а воьлуш лелар сонталла юйла а, самукъадаларх бала цхьа а пайда боцийла а хиира суна.</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха, сайн кхетам хьекъалх буьзна а болуш, ас сацам бира, сонтаваллалц чагӀар маларца зен веза аса со аьлла. И сонталла а зен лиира суна, кху стигална бухахь шайн доццачу дахаран деношкахь адамашна хӀун дика хуьлу сайна довзийтархьама.</verse>
				<verse number="4">ТӀаккха со даккхий гӀуллакхаш дан волавелира. Аса сайна гӀишлош а йира, кемсаш а дӀаюьйгӀира,</verse>
				<verse number="5">бошмаш дӀайогӀа меттигаш а тойира, тӀаккха цигахь тайп-тайпана стоьмаш луш долу дитташ а дӀадуьйгӀира.</verse>
				<verse number="6">Иштта ас Ӏаьмнаш дехира, айса моггӀара дӀадийгӀинчу дитташна хи тохархьама.</verse>
				<verse number="7">Леш ийцира ас сайна, юкъахь зударий а, божарий а болуш. Цул тӀаьхьа сан цӀахь царах дуьнен чу бевлла кхин леш бара сан. Иштта сол хьалха Ярушалайм-гӀалахь бехаш Ӏаш хиллачу нехан чул а сов бежанаш а, жаш а дара сан.</verse>
				<verse number="8">Ас дети а, деши а гулдира сайна, сайн доларчу кхечу мехкийн а, паччахьийн а хазна схьа а яьккхира. Иллеш олу божарий а, зударий а гулбира ас сайн цӀа чохь, боьршачу стеган дагна чӀогӀа там бийраш а бехира сайн дола: дуккха а гӀарбаш-зударий.</verse>
				<verse number="9">Ярушалайм-гӀалахь сайл хьалха хиллачу массо адамал а сий долушший, хьал долушший хилира со. Иштта сайн хьекъалалла кхидӀа а соьца дуьсура.</verse>
				<verse number="10">Сайн бӀаьргашна хазделларг схьаэцарна дуьхьало ца йора ас. Самукъане мел долу хӀума сан даго тӀеоьцура. Муьлххачу айса дечу гӀуллакхах самукъадолура сан. И хазахетар суна дара, ас мел бечу халчу балхана луш долу совгӀат санна.</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха со хьаьжира сайн куьйгаша динчу гӀуллакхашка а, айса мел бинчу балхе а. И дерриг а ма кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду, махана Ӏуналла дан гӀертар санна. Стигална кӀел цу гӀуллакхех буьсур болуш цхьа а пайда бац.</verse>
				<verse number="12">Юха со ойланаш ян волавелира хьекъалаллах а, хьекъалх тиларх а, сонталлах а лаьцна. ХӀунда аьлча паччахьо диначул совдаьккхина хӀун дан тарло цул тӀаьхьа дӀахӀуттун волчу стага?</verse>
				<verse number="13">Суна гира хьекъалалла хиларо сонта хиларал сов буьсун болу пайда бар, серло боданал дикаха хиларе терра.</verse>
				<verse number="14">Хьекъалечун бӀаьргаш са гуш бу, ткъа сонтаниг боданехь тилавелла леларг санна ву. Ткъа царах массарах хиндерг цхьаъ дуйла а кхийтира со.</verse>
				<verse number="15">ТӀаккха сайн дагахь элира ас: «Сонта волчух хилларг сох а хир ду-кх. ТӀаккха хьекъалалла хиларо буьсун болу хӀун пайда ло?» Ас сайн дагахь жоп делира: «Иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду».</verse>
				<verse number="16">Я хьекъалдолчух лаьцна дерг а, я сонта волчух лаьцна дерг а дехар дац абаденналц, кестта уьш берриш а бицбийр бу. Маржа яӀ, хьекъалениг а дӀакхелха, сонтаниг санна!</verse>
				<verse number="17">ТӀаккха суна деза ца делира хӀара дахар, хӀунда аьлча стигална кӀел мел дечу хӀумано гӀайгӀанаш яхьа. И дерриг а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду, махана Ӏуналла дан гӀертар санна.</verse>
				<verse number="18">Сан дог делира айса стигална кӀел мел динчу халачу гӀуллакхех, хӀунда аьлча цу гӀуллакхех хилларг сол тӀаьхьа вуьсун волчунна кхочур ду-кх.</verse>
				<verse number="19">Ас сайн къинхьегамца а, сайн хьекъалца а стигална кӀел мел даьккхинчунна тӀехь кхечу цхьаммо олалла дийр дара, ткъа хьанна хаьа: хьекъале хир ву иза я сонта хир ву? И дерриг а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду.</verse>
				<verse number="20">Иштта со дохковелира айса стигална кӀел мел динчу гӀуллакхна.</verse>
				<verse number="21">Адамо, шен дерриг а хьекъалалла а, хаар а, говзалла а тӀе а ерзош, дуккха а къахьоьгу, амма и стаг велча, цо гул мел динарг а и гулдеш къа ца хьегначунна кхочу. Иза а кхетамбоцу а, нийсо йоцу а хӀума ду.</verse>
				<verse number="22">Иштта хӀун хуьлу ткъа адамна стигална кӀел ша бинчу балхах а, шен деган гӀайгӀанах а?</verse>
				<verse number="23">ХӀора дийнахь балане а, гӀайгӀане а хуьлу цуьнан болх, ур-атталла буьйсанна а дог паргӀат ца хуьлу цуьнан. Иза а ду-кх кхетам тӀе ца кхуьу хӀума.</verse>
				<verse number="24">Адамна уггар а диканиг яар-малар а, ша бечу балхах там хилар а ду. Со кхийтира иза а Делера хиларх.</verse>
				<verse number="25">Дала иза ца делча, яа а, я там хила а хьенан таро хир яра?</verse>
				<verse number="26">Дала Ша реза волчунна хьекъалалла а, хаарш а, ирс а ло. Ткъа къинош леточаьрга Цо, къа а хьоьгуьйтуш, хьал гулдойту, и гулдинарг Ша реза волчунна дӀадалийтархьама. Иза а ду-кх кхетам тӀе ца кхуьу хӀума, махана Ӏуналла дан гӀертар санна.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">Массо а хӀуманан шен зама ю, кху лаьттарчу хӀора гӀуллакхан а шен хан ю.</verse>
				<verse number="2">Дуьнен чу валаран а шен хан ю, дӀакхалхаран а шен хан ю. ХӀума дӀаеран а шен хан ю, иза схьаяккхаран а шен хан ю.</verse>
				<verse number="3">Стаг веран а шен хан ю, иза товаран а шен хан ю. ЦӀенош дохоран а шен хан ю, гӀишлош дӀахӀитторан а шен хан ю.</verse>
				<verse number="4">Адам делхаран а шен хан ю, иза деладаларан а шен хан ю. Адам гӀайгӀане хиларан а шен хан ю, иза халхадаларан а шен хан ю.</verse>
				<verse number="5">Зудчуьнца дӀавижаран а шен хан ю, цунах цакхетаран а шен хан ю. Стагана мараэккхаран а шен хан ю, цунах къехкаран а шен хан ю.</verse>
				<verse number="6">ХӀума лахаран а шен хан ю, лохучуьра сацаран а шен хан ю. ХӀума Ӏалашъяран а шен хан ю, иза дӀатасаран а шен хан ю.</verse>
				<verse number="7">ХӀума ятӀоран шен хан ю, иза дӀатегаран а шен хан ю. Адам дист ца хиларан а шен хан ю, цо къамел дан дезаран а шен хан ю.</verse>
				<verse number="8">Адам дезаран а шен хан ю, иза цадезаран а шен хан ю. ТӀеман а шен хан ю, машаран а шен хан ю.</verse>
				<verse number="9">Буьсун болу хӀун пайда оьцу адамо ша бинчу балхах?</verse>
				<verse number="10">Суна гира Дала адамашна кхочушбан белла болу белхаш.</verse>
				<verse number="11">Массо а хӀуманна а цунна йогӀуш йоллу хан елла Дала. Дала адаман кхетам чохь абадех йолу ойла кхоьллина, юьххьенца дуьйна дӀадовллалц Дала деш долчух иза кхеташ дацахь а.</verse>
				<verse number="12">Иштта суна хиира, адамашна, шаьш дийна мел ду, самукъадаккхарал а, зовкх хьегарал а дикаха хӀумма а доцийла.</verse>
				<verse number="13">Кхечу дешнашца аьлча, хӀора адамна яа а, мала а, ша бечу балхах там хила а беза. Уьш Делера совгӀаташ ду.</verse>
				<verse number="14">Суна хиъна, Дала до гӀуллакхаш гуттаренна дуйла. Вайга Дала дечунна тӀе а тохалур дац, я тӀера дӀа а даккхалур дац. Дала иштта гӀуллакхаш до, адамашка Шен сийдайтархьама.</verse>
				<verse number="15">Яханчу заманахь хилларг карахь йолчу заманахь а хуьлу, ткъа тӀейогӀучу заманахь хиндерг, дӀаяьллачу заманахь а хилла. Хьалха хилларг юхадерзориг Дела ву.</verse>
				<verse number="16">Стигална кӀел суна кхин а гира, кхел ечу меттехь зуламаш хилар, нийсо хила езачохь харцонаш лелор.</verse>
				<verse number="17">ТӀаккха аса сайн дагахь элира: «Бакъволчунна а, харцволчунна а Дала Ша Шен кхел йийр ю, хӀунда аьлча массо а хӀуманан а, дерриге а гӀуллакхийн шен-шен зама ю».</verse>
				<verse number="18">Адамех лаьцна аса сайн дагахь элира: «Дала адамаш зоь, уьш бежанех тера хилар гойтуш.</verse>
				<verse number="19">Адамех а хуьлу бежанех хирриг: уьш а, вуьш а цхьатерра дӀакхелха. Адамийн а, бежанийн а цхьатерра са ду, адамаш а дац бежанел гӀоле. Дерриг а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ма ду!</verse>
				<verse number="20">Массо а цхьана метте дӀавоьрзу. Массо а лаьттан ченах вина ву, ткъа массарах а юха а чан хир ю.</verse>
				<verse number="21">Хьанна хаьа, адамна чуьра арадаьлла са лакха стигалшка хьаладоьдий, бежанна чуьра арадаьлла са лаха лаьтта чу охьадоьдий?»</verse>
				<verse number="22">Иштта, со кхийтира адамна, ша бечу балхах самукъа а доккхуш, гӀадвахарал гӀоле долуш кхин хӀумма а доцийла. Иза цуьнан дакъа ду, хӀунда аьлча цхьаммо а гойтур дац адамна кхелхинчул тӀаьхьа цунах хиндерг.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">ТӀаккха, дӀахьаьжча, суна гира стигална кӀел мел еш йолу гӀелонаш. Хьажал, гӀийлачеран бӀаьргех хиш дуьйлу, ткъа церан догъоьцург ца хуьлу. Царна гӀело ечеран карахь ницкъ бу, ткъа церан догъоьцург ца хуьлу.</verse>
				<verse number="2">ТӀаккха ас сацам бира, дийна а болуш, гӀелонаш хьоьгуш болчарна чул дӀакхелхинчарна гӀолехь ду аьлла.</verse>
				<verse number="3">Ткъа стигална кӀел леладо зуламе гӀуллакхаш шайна газа болчу, дуьнен чу бовлаза бисинчарна кхин а дикаха ду аьлла, хийтира суна.</verse>
				<verse number="4">Суна гира, адамо мел дечу гӀуллакхан говзалла шен накъостаца яхье ваьлча гучуйолий. Иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду, махана Ӏуналла дан гӀертар санна.</verse>
				<verse number="5">Сонтачу стага, пӀелгах пӀелг а тоьхна, болх ца беш, ша-шен хӀаллакво.</verse>
				<verse number="6">Амма, синтем а болуш, схьаэцна долу цхьа сахь тоьлу, сов къа а хьегна, даьккхинчу шина сахьанал. Махана Ӏуналла дан гӀертар санна, ду иза.</verse>
				<verse number="7">Юха а кхетам тӀе ца кхуьу цхьа хӀума гира суна стигална кӀел.</verse>
				<verse number="8">Я кӀант, я ваша а воцуш, ша вуьсу стаг. Цуьнан гӀуллакхийн чаккхе а ца хуьлу, ткъа цуьнан бӀаьргаш хьолах а ца бузу. Хьанна до те цо и гӀуллакхаш, шен са ирсах а доккхуш? Иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума а, гӀайгӀане болх а бу.</verse>
				<verse number="9">Шиъ цхьаьна хилар дикаха ду, ша цхьаъ хуьлучул. Шаьш цхьаьна хьегначу къинах царна пайда хир бу.</verse>
				<verse number="10">Царах цхьаъ охьавожахь, вукхо иза хьалагӀаттор ву. Ша цхьаъ вуьсучу стеган ма къа ду! Иза гӀатто уллохь цхьа а ца хуьлу.</verse>
				<verse number="11">Иштта, шиъ цхьаьна охьавижча, и шиъ вохло. Ткъа ша цхьаъ волчун вохвалар муха хир ду?</verse>
				<verse number="12">МостагӀчо цхьанна дуьхьал толам баккхахь а, шиннал тоьлур вац иза. Ткъа кхаа тайнах хьарчийна йолу тӀийраг атта хедар яц.</verse>
				<verse number="13">13-14 Набахти чуьра араваьлла цхьа къонах паччахь хӀотто тарло. Я, масала, и къонах, шен хинйолчу пачхьалкхехь ша дуьнен чу волучу хенахь, къиэн хила тарло. Делахь а, къиэн а волуш, амма хьекъале волу къонах дикаха ву, къеначу а, сонтачу а, шена беш болу хьехам дӀа ца оьцучу а паччахьал.</verse>
				<verse number="14">***</verse>
				<verse number="15">Кхин а суна гира, стигална кӀел веха хӀора стаг а дуьнен тӀехь вехачу кхечу къонахчунна тӀаьхьахӀоттар.</verse>
				<verse number="16">Дагар ца даллал дукха дара и халкъ. Амма цу къонахал хьалха хиллачу а, иштта цул тӀаьхьа хинболчу а нахана цунах цхьа а там ца белира. Иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду, махана Ӏуналла дан гӀертар санна.</verse>
				<verse number="17">Хьо Делан цӀа долчу воьдуш, ларлуш хилалахь. Сонтачу наха санна, сагӀина хӀума яхьачул, Делан цӀенна тӀе а вирзина, ладогӀар дикаха ду. Уьш ца кхета, шаьш сонта лелий.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">Багах долучу дешнашца а, дагара йолучу ойланашца а Далла хьалха хӀума олуш сих а ма ло, аьрха а ма вала. ХӀунда аьлча Дела стигалахь ву, ткъа хьо лаьттахь ву, цундела хьайн Цуьнца долу къамел доцца хилийта.</verse>
				<verse number="2">Алссамчу гӀайгӀанаша вон гӀенаш гойту, алссамчу дешнаша сонталла гойту.</verse>
				<verse number="3">Нагахь айхьа Далла ваӀда динехь, иза кхочушдар дӀа ма татта. Далла хаза ца хета сонтачу стага и ваӀда кхочушцадар, цундела ваӀда кхочушде!</verse>
				<verse number="4">Дош цадалар дикаха ду, дош а делла, иза кхочушцадарал.</verse>
				<verse number="5">Хьайн бете хьайх къинош ма летадайта. Делан динан дега: «Айса динчу ваӀданна тӀехь со галвелира» — ала дезарх ларло. Хьайн куьйгаша дина гӀуллакхаш Деле хӀаллак ца дайтархьама, Далла хьалха айхьа дечу хьайн къамелашца Дела хьайна оьгӀаз ма вахийта.</verse>
				<verse number="6">Иштта, сонтачу нехан Далла хьалха дина къамелаш хуьлу дукха гӀенашца а, дукха кхетам тӀе ца кхуьучу хӀуманашца а, дукха дешнашца а. Ткъа хьо Деле болчу ларамах вуьзна хила веза!</verse>
				<verse number="7">Нагахь муьлххачу а мехкан декъахь къечу стагана гӀело еш хьайна гахь а, цуьнан бакъонаш а, нийсо а лоруш яцахь а, хьо цец ма валалахь цунах, хӀунда аьлча оцу лакхарчун а цул лакхарчо терго йо, ткъа оцу шинна тӀехь а кхин а лакхарниг ву.</verse>
				<verse number="8">Махкана баьлла пайда цуьнан массо а бахархошна хила беза. Ткъа паччахь шен мехкан аренаша лун долчун бала кхочуш хуьлу.</verse>
				<verse number="9">Ахча дезаш волчунна цкъа а шен долчух тоам хир бац. Хьал дезаш волчунна шен долчух цкъа а тоам хир бац. Иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду.</verse>
				<verse number="10">Хьал алсамдоккхуш хилча, цунах бежаш берш а алсамбовлу. ТӀаккха хӀун пайда хуьлу хьолахочунна, оцу шен хьоле хьоьжуш Ӏер доцург?</verse>
				<verse number="11">Ша дуккха а йиънехь а, я кӀеззиг йиънехь а Къахьегначу стага мерза наб йо. Ткъа хьолахочун наб йов, шен хьолан шорто бахьана долуш.</verse>
				<verse number="12">Стигална кӀел суна кхин а цхьа хала бала гира: адамо шен хьал Ӏалашдора, иза ца дайархьама.</verse>
				<verse number="13">Амма цхьа бохам тӀебар бахьана долуш, цо шен хьал дайира. Хууш ду, стеган бер хилча, и бер даьссачу куьйгашца дуьнен чу долий.</verse>
				<verse number="14">Шен ненан кийрара верзина, тӀехь хӀумма а доцуш, схьа-ма-валлара, иштта ша дӀакхелхича, кху дуьненахь ша бечу балхах шеца хӀумма а дӀа а ца хьош, иза дӀа а воьду.</verse>
				<verse number="15">Иза а гӀайгӀане бала бу. Ша дуьненна чу ма-валлара, иштта дӀа а гӀур ву стаг. Ткъа хӀун буьсун болу пайда хуьлу цунна, ша еккъа Ӏаьнаран дуьхьа къахьоьгуш хилча?</verse>
				<verse number="16">Ша дуьненахь йоккхучу хенахь цо боданехь шен кхача боу, ткъа цуьнан денош там цахиларх а, цамгарех а, дераллех а дуьзна хуьлу.</verse>
				<verse number="17">Хьажал со кхеттачуьнга: Дала шайна яккха еллачу йоццачу дахаран заманахь адамашна и хан юушший, молушший, ша стигална кӀел бечу халачу балхах там хуьлушший яккхар гӀолехь ду. Иза цунна Дала делла дакъа ду.</verse>
				<verse number="18">Нагахь Дала стагана бахам а, хьал а делча, цу стага царах дезар а эцахь, Дала шена елла ял схьа а эцахь, шен балхах цунна там а хилахь, тӀаккха иза Делера совгӀат санна ду цунна.</verse>
				<verse number="19">Иштта, стагана шен дахаран хенах ойланаш ян хан а тоьар яц, хӀунда аьлча Дала цуьнан дагна там бо.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="6">
				<verse number="1">Стигална кӀел цхьа хала бала хилар гира суна, ткъа иза-м кест-кеста хуьлу.</verse>
				<verse number="2">Дала стагана хьал а, бахам а, шорто а яла тарло — цунна мел дезарг а дала тарло. Амма оцу муьрехь шен долчух марзо ца оьцуьйту цуьнга Дала, мелхо а, кхечо цунах пайда оьцу. Иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума а ду, цул сов, иза чӀогӀа хала бала а бу.</verse>
				<verse number="3">Иштта, стеган бӀе доьзалхо хила а, иза дуккха а ваха а тарло. Амма иза мел дукха вахахь а, нагахь оцу стага шен долахь долчу диканах ма-бохху марзо а ца эцахь, иза веллачул тӀаьхьа, цуьнан оьзда дӀаволлар а ца хилахь, тӀаккха ала мегар ду, делла динчу берана а дикаха ду, оцу стагана чул.</verse>
				<verse number="4">Цуьнан дуьнен чу длар а, кхалхар а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду. Ӏаьржачу Ӏожалло цунах хиндерг хьулдо.</verse>
				<verse number="5">Ша кху дуьненахь цадахарна, цу берана кху дахарх лаьцна хӀумма а ца хаьа, делахь а цуьнан синтем аса масална валийначу стеган чул сов бу.</verse>
				<verse number="6">Иштта стаг шина эзар шарахь а ваха тарло, шен бахамах марзо а ца оьцуш. Ткъа вай дерриш а цхьатерра коше дӀадоьрзуш дац?</verse>
				<verse number="7">Адамо ша буучу кхачанан дуьхьа бен къа ца хьоьгу, амма цуьнан гай цкъа а ца дузу.</verse>
				<verse number="8">Хьекъал долчо сонтачо чул сов хӀун дуьсун долу зовкх хьоьгу? Ша муха лела веза хаарх, хӀун дуьсун долу зовкх хьоьгу къечо?</verse>
				<verse number="9">ГӀенахь гиначуьнга сатуьйсуш лелачул, шен долахь долчух марзо эцар дикаха ду. Иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду, махана Ӏуналла дан гӀертар санна.</verse>
				<verse number="10">Кхоьллина мел йолу хӀума шен цӀе йолуш ю. Иштта адам хӀун ду а вайна хууш ду. Шел ницкъ болуш волчуьнца болчу къийсамехь адам тоьлур дац.</verse>
				<verse number="11">Ткъа хӀун пайда хуьлу цунах адамна? Дуккха а долчу дешнаша кхетам тӀе ца кхуьу хӀуманаш алсамдоху.</verse>
				<verse number="12">Хьанна хаьа, хӀун дикаха ду адамна шен, ӀиндагӀ санна, дӀауьдучу, кхетам ца кхуьуш долчу дахаран деношкахь? Стигална кӀел дӀакхелхича, хьан эр ду адаме цунах хиндерг?</verse>
			</chapter>
			<chapter number="7">
				<verse number="1">Дезачу хьакхарел цӀе яккхийтар дикаха ду, Иштта дуьнен чу валаран дийнал адам даларан де дикаха ду.</verse>
				<verse number="2">Той долчу цӀа чу воьдучул, тийжар долчу цӀа чу вахар дикаха ду. ХӀоранна а тӀаьххьара де тӀедогӀу, ткъа дийна волчо цуьнан ойла ян еза.</verse>
				<verse number="3">Веларал дикаха ду сингаттаме хилар, хӀунда аьлча, юьхь кхоьлина хиларна, дог хьекъалх дузу.</verse>
				<verse number="4">Хьекъалечу стеган дог адам доьлхуш долчохь хуьлу, ткъа сонтачун дог адам гӀаддахана долчохь хуьлу.</verse>
				<verse number="5">Сонтачийн иллешка ладуьйгӀучул дикаха ду хьекъал долчун тӀехтохамийн тергам бар.</verse>
				<verse number="6">Сонтачун велавалар ена кӀеларчу цӀергахь лелха гаьннаш санна ду. Иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду.</verse>
				<verse number="7">ГӀело яро хьекъалечух сонтаниг во, ткъа кхаъ схьаэцаро кхетам а талхабо.</verse>
				<verse number="8">ГӀуллакхан чаккхе хилар гӀуллакх доладарал дикаха ду, ткъа собаре хилар цавашарал а дикаха ду.</verse>
				<verse number="9">Хьайн са оьгӀазаллина сих ма де, хӀунда аьлча оьгӀазалла сонтачийн кийрахь хуьлу.</verse>
				<verse number="10">Ахьа ма хатта: «ДӀадахана денош дикаха хӀунда дара?» Хьекъале дац и хаттар.</verse>
				<verse number="11">Цхьаннах бисина бахам санна, дика ду хьекъалалла. Кху дуьненахь болчара цунах пайда оьцу.</verse>
				<verse number="12">Хьекъалалло а, ахчано санна, адам лардо, амма хьекъалаллех буьсун болу пайда иштта бу: цуьнан дола диначун дахар лардо цо.</verse>
				<verse number="13">ДӀахьажал Делан гӀуллакхашка. Цо гамдинарг хьаьнга нислур ду?</verse>
				<verse number="14">Беркатечу хенахь воккхаве, ткъа гӀайгӀане еанчу хенахь ойланаш е. И де а, важа де а Дала кхоьллина ма ду, адаме цкъа а талла ца ло ша кхелхинчул тӀаьхьа шех хиндерг.</verse>
				<verse number="15">Сайн дахаран деношкахь кхетам тӀе ца кхуьу хӀуманаш дукха гина суна. Масала, ша бакъахьара хиллехь а, къона стаг дӀакхелха, ткъа ша зуламе велахь а, стаг дукха вехаш а хуьлу.</verse>
				<verse number="16">ТӀех бакъахьара а ма хила, хьекъалца тӀех а ма вала — хьуо хӀунда хӀаллаквойту ахь?</verse>
				<verse number="17">Хьо тӀех зуламе а ма хила, хьекъал доцуш а ма хила — хьайна Дала еллачу хенал хьалха хьо дӀа хӀунда кхолхуьйту ахь?</verse>
				<verse number="18">ХӀокху аьллачу хӀуманех цхьаъ схьалаца, амма шолгӀаниг а ма дита. Деле болчу ларамах вуьзначо шен декхар массо а гӀуллакхашна тӀехь кхочушдийр ду.</verse>
				<verse number="19">Хьекъалалла дерг гӀалин иттех олахо чул а нуьцкъала ву.</verse>
				<verse number="20">Массо а хенахь Делан лаамехь а лелаш, цкъа а къа а ца латош волу бакъахьара стаг вац кху дуьненахь.</verse>
				<verse number="21">Ахьа хьайга мел аьлларг а хьайн даг чу ма лаца, хьан ялхочо хьох лаьцна аьлла вониг хьайга ца кхачийтархьама.</verse>
				<verse number="22">ХӀунда аьлча хьо-хьо а цкъа аьлла ца Ӏа кхечарах лаьцна долу вониг.</verse>
				<verse number="23">Сайн хьекъалаллица и дерриг а зийна ас. Сайн дагахь ас олура: «Хьекъалаллех вузур ву со». Амма иза далург ца хиллера!</verse>
				<verse number="24">Хуьлуш мел дерг вайн кхетамо чу ца лоцу, цуьнан кӀорггера маьӀна ду. Хуьлуш долчу дерригенах мила кхетар ву?</verse>
				<verse number="25">Хьекъалалла а, гӀуллакхийн маьӀна а хаарна а, иза талларна а, схьалахарна а тӀедирзира сан дог. Иштта суна хаа лиира, зуламе хилар сонта дуйла а, сонта хилар Ӏовдала дуйла а.</verse>
				<verse number="26">Со кхета, и «зуда», аьлча а сонталла, Ӏожаллал къаьхьа юйла. Цуьнан Ӏалашо стагана кӀело яр а, иза дӀалацар а ю. Далла везаш верг ишттачу зудчун карара дӀавер ву, ткъа къинош летош верг ишттачу зудчун кара гӀур ву.</verse>
				<verse number="27">«Хьажал суна карийначуьнга, — олу устаза. — ХӀара дерриг а вовшахтуьйхира ас, гӀуллакхийн маьӀна хӀун ду те карорхьама.</verse>
				<verse number="28">Амма сайн даго лоьхург суна кара а ца дира. Олуш ма ду: „ХӀора эзар адамна юкъахь цхьацца хьекъалниг бен ца карийра суна, ткъа царна юкъахь цхьа а зуда ца карийра“».</verse>
				<verse number="29">Амма цхьа хӀума ду суна билггала карийна: Дала адамаш Шена резадеш кхоьллина, ткъа церан Ӏалашо ю массо а хӀуманан маьӀна таллар.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="8">
				<verse number="1">Мила кхета массо а хӀуманан маьӀнах? Хьан кхетор ву иза массо а хӀуманах? Адаман хьекъалалло цуьнан юьхь а къагайо, цуьнан къиза амат а кӀаддо.</verse>
				<verse number="2">Дала паччахьна дийр ду аьлларг бахьана долуш, боху ас: паччахьо мел бохург ларделахь.</verse>
				<verse number="3">Хьайн паччахьах дӀакъаста сих а ма ло, цунна дуьхьалбевллачарах дӀа а ма кхета, хӀунда аьлча паччахьан шена луъург дан йиш ю.</verse>
				<verse number="4">Цу тӀе, паччахьан дош уггаре а нуьцкъала ду, цундела хьан эр дара цуьнга: «Ахьа хӀун леладо?»</verse>
				<verse number="5">Паччахьан омра кхочушдийриг цунна дуьхьалбевллачаьрца лелар вац. Хьекъале волчун дагахь лаьттар ю шен хан а, шен кхел а.</verse>
				<verse number="6">ХӀора гӀуллакхан а ю шен хан а, шен кхел а, амма адамаша дуккха а хала баланаш хьега беза.</verse>
				<verse number="7">Хиндолчух лаьцна хуург вац. Хьан эр дара хиндерг хӀун ду?</verse>
				<verse number="8">Цхьаьнгга а шен синан Ӏаьнарна тӀехь олалла далур дац. Цхьаннан а карахь дац шен валаран де. Цхьа а дӀахоьцур вац тӀом бечуьра. Зуламхо ша дечу зуламаша кӀелхьарвоккхур вац.</verse>
				<verse number="9">И дерриг а суна гира, стигална кӀел кхочушдо гӀуллакхаш талла сайн дог ас къобалдича. Цхьана адамо вукхунна тӀехь олалла до, ткъа иза бахьана долуш цу шиммо а бала хьоьгу.</verse>
				<verse number="10">ХӀетахь гора суна зуламхошна дӀахӀиттош долу тезеташ. Уьш, езачу меттера схьа а оьций, дӀабухкура. Ткъа цара зуламаш динчу гӀаларчу бахархоша церан сий дора. Иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду.</verse>
				<verse number="11">Зуламна сихха таӀзар ца даро адамийн дегнаш зуламаш дарехьа дерзадо.</verse>
				<verse number="12">Къинош летош волчо бӀозза къа латадешшехь, иза дуккха а ваха тарло. Амма суна хаьа, Делах кхоьручунна дика хир дуйла, иза Цунна хьалха вегош лела дела.</verse>
				<verse number="13">Ткъа зуламаш лелочунна Делера дика а хир дац, иза, ӀиндагӀ санна, дукха а вехар вац, Делах ца кхоьруш ша лела дела.</verse>
				<verse number="14">Кхин а ду лаьттахь хуьлуш цхьа кхетам тӀе ца кхуьу хӀума. Бакъахьарчу адамашна зуламхошна тӀе дан деза вон тӀедогӀу. Ткъа зуламхошна бакъахьарчарна хила дезарг хуьлу. Аса ма-аллара: «Иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду!»</verse>
				<verse number="15">Амма аса сайн хьехам бо, адаме шен дахарх самукъадаккха аьлла. Стигална кӀел адамна уггаре а диканиг яар-малар а, шен дахарх самукъадалар а ду. Дала шена стигална кӀел деллачу дахарехь, ша бечу балха тӀехь цу гӀуллакхаша иза новкъа воккхур ву.</verse>
				<verse number="16">Хьекъалалла довза а, кху дуьненахь адамаша дечу гӀуллакхашка хьажа а ас сайн дог къобалдича, дийнаххьий, буьйсанний наб яйнера сан.</verse>
				<verse number="17">ТӀаккха берриг Делан белхаш сайна гича, суна хиира, Дала стигална кӀел мел дечу хӀуманна адам тӀекхиалур доцийла. Хаа мел гӀертарх а, хуур дац цунна иза. Нагахь цхьана хьекъалалла долчу стага шена хаьа бохуш хилча а, цуьнан а йиш яцара иза дерриг а ма-дарра хаа.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="9">
				<verse number="1">Аса сайн дог тӀедерзийра иштта хӀума талла: Делан карахь ву бакъахьарниг а, хьекъалдерг а, церан гӀуллакхаш а. Адамашна ца хаьа, Далла шаьш дезар ду я дац. И дерриг а тӀедогӀун дерг ду.</verse>
				<verse number="2">ХӀора стагаца а хиндерг цхьаъ ду: бакъахьарачуьнца а, зуламхочуьнца а, Далла хьалха цӀеначуьнца а, боьхачуьнца а. Дикачу стагана а хир ду къинош летийначунна хиндерг. Далла хьалха дуй буучунна а хир ду Цунна хьалха дуй баа цаваьхьачунна хиндерг.</verse>
				<verse number="3">Стигална кӀел хуьлучу гӀуллакхашна юкъахь хӀара цхьа хала бала бу: массеран а цхьа кхоллам хир бу. Адамийн дегнаш зуламех дуьзна ду. Церан ойланаш сонта хуьлу уьш бехачу хенахь, ткъа цул тӀаьхьа уьш а беллачарна тӀаьххье дӀабоьлху.</verse>
				<verse number="4">Вехаш волчу хӀораммо а цхьана хӀумане сатуьйсу. Олуш ма ду: «Дийна долчу жӀаьлина гӀолехь ду, делла долчу лоьмана чул».</verse>
				<verse number="5">Дийна болчарна шаьш лийр дуй хаьа, ткъа веллачунна хӀумма а ца хаьа. Беллачарна кхин ял хир яц, ткъа адамашна уьш бицлур бу.</verse>
				<verse number="6">ДӀакхелхинчу адамийн безаммий, цабезаммий, церан лаамашший — уьш дерриш а дӀадевлла. Стигална кӀел мел дечу гӀуллакхашкахь цара кхин цкъа а дакъалоцур дац.</verse>
				<verse number="7">Хазахетарца даа ахьа хьайн бепиг, ткъа хьайн чагӀар а мала деган самукъадаларца. Ахь и гӀуллакхаш дарна Дела реза ву хьуна.</verse>
				<verse number="8">Муьлххачу хенахь а духар сирла хуьлийла хьан, хьан коьрта тӀе хьаькхна деза хьакхар хуьлийла, хьо самукъадаьлла вуйла хууш.</verse>
				<verse number="9">Стигална кӀел доккхучу хьайн кхетамбоцучу дахаран деношкахь Дала хьайна еллачу а, хьуна езачу а зудчуьнца хьо вахарх дезар эца. ХӀунда аьлча хьан дахарехь а, стигална кӀел ахь бечу балха тӀехь а иза хьуна Дала делла дакъа ду.</verse>
				<verse number="10">Хьайн куьйге далуш мел дерг доггах кхочушде. ХӀунда аьлча хьо дӀавоьрзур волчу эхартахь я болх хир бац, я кхетам хир бац, я хьекъалалла хир дац, я хаарш хир дац.</verse>
				<verse number="11">Кхин а суна гира стигална кӀел долу иштта хӀуманаш: уггар а сиха леларш а гуттара а ца бовлу хьалха, уггар а ницкъберш а ца тоьлу тӀамехь гуттара а. Иштта хьекъал долчарна а ца кхочу бепиг гуттара а, кхетам болчарна а ца кхочу хьал гуттара а, хаарш долчарна а ца хуьлу ларам гуттара а. Царах хӀораннан а шен хан а ю, шен хьал-де а ду.</verse>
				<verse number="12">Цу тӀе, адамна ца хаьа, шен тӀаьххьара де тӀе маца догӀу. Шайна кхераме йолчу бойнна чохь схьалоьцуш долу чӀерий санна, я речӀанна чохь тасалой дуьсу олхазарш санна, иштта адамаш а шайна ца моьттучу хенахь тӀедогӀучу халачу тӀаьхьарчу сахьто дӀалоцу.</verse>
				<verse number="13">Стигална кӀел суна гира кхин а цхьа хьекъалалла. Иза ас сийлахь лерира.</verse>
				<verse number="14">Иштта шена чохь кӀеззиг бахархой болуш цхьа жима гӀала яра. ТӀаккха цхьана ницкъболчу паччахьо, тӀе а гӀоьртина, гӀалин пенна гонах лаьттах баьрзнаш а дина, го бира цу гӀалина.</verse>
				<verse number="15">Амма цу гӀалара бахархошна юкъахь хьекъале цхьа къен стаг а нисвелла, цо шен хьекъалаллица и гӀала кӀелхьаръяьккхира. Ткъа цул тӀаьхьа цу гӀалара бахархошна и къен стаг цхьанна а дага а ца веара.</verse>
				<verse number="16">Амма аса боху, хьекъалалла тоьлу нуьцкъалаллал, оцу нахана цу къечу стеган хьекъалалла дицделлехь а, цара цуьнга кхин ла ца доьгӀнехь а.</verse>
				<verse number="17">Хьекъалалла долчо тийна аьлла дешнаш дуккха а гӀоле ду, олахочо сонтачарна юкъахь хьоькхучу цӀогӀанал.</verse>
				<verse number="18">Хьекъалалла тӀеман герзел дикаха ду, амма къа латийначу цхьаммо дуккха а долу диканиг а хӀаллакдо.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="10">
				<verse number="1">Деллачу мозаша духӀин хьожа а талхайо. Иштта, кӀеззиг йолчу сонталло стеган дуккха а долу хьекъалалла а, сийлалла а хӀаллакдо.</verse>
				<verse number="2">Хьекъалалла долчун дог бакъахьа агӀор дӀагӀерта, ткъа сонтачу стеган дог харцахьа гӀерта.</verse>
				<verse number="3">Ша некъахула лелаш велахь а, сонтачу стеган кхетам ца кхочу, ткъа цо хӀоранна а ша сонта хилар гойту.</verse>
				<verse number="4">Нагахь хьан олахо хьуна оьгӀазваханехь а, цунах дӀа ма вада. Хьан тийна хиларо, цуьнан даккхий гӀалаташ дӀа а хьулдеш, сатедан тарло.</verse>
				<verse number="5">Иштта, суна кхин а цхьа нийса доцу хӀума а гира стигална кӀел, тилабеллачу олахоша лелош долу.</verse>
				<verse number="6">Цара сонтачу нахана лакхара даржаш лора, ткъа хьолахошна ларамаза йолу меттигаш лора.</verse>
				<verse number="7">Говраш тӀе хевшина леш гира суна, ткъа элий, леш болуш санна, гӀаш лелаш бара.</verse>
				<verse number="8">Кхечунна ор охкург ша цу чу вожа тарло. Ткъа шен йоцу керт йохош волчунна лаьхьано дӀовш тоха тарло.</verse>
				<verse number="9">ТӀулгаш дохош волчунна царах чов хила тарло. Ткъа дитташ хедош волчунна царах кхерам бала тарло.</verse>
				<verse number="10">Нагахь диг аьрта а хилахь, цхьаммо а иза ир а ца дахь, дуккха а ницкъ безар бу и болх бан. Ткъа хьекъал хиларо буьсун болу пайда ло.</verse>
				<verse number="11">Ша тебале, лаьхьано це тохахь, иза тебиначунна цунах бала пайда бац.</verse>
				<verse number="12">Хьекъалечу стеган дешнаша цунна ларам бахьа. Ткъа сонтачу стеган бето ша-шен хӀаллакво.</verse>
				<verse number="13">Цуьнан къамел доладелча, иза сонта хуьлу, ткъа къамел чекхдаьлча, иза хьераваьлла хуьлу.</verse>
				<verse number="14">Сонтачу стага саццаза къамел дахь а, цхьанна а ца хаьа хиндерг хӀун ду. Иштта хьенан таро ю шел тӀаьхьа хиндерг хӀун ду ала?</verse>
				<verse number="15">Сонтачу стага цу тайпана болх беш хилча, иза шен гӀали чу юхавоьрзу некъ ца бовззал кӀадло.</verse>
				<verse number="16">Къа ду мехкан, цуьнан паччахь сонта ялхо бен вацахь, цуьнан элаша сатасале дуьйна тойнаш хӀиттош а делахь.</verse>
				<verse number="17">Декъала бу мохк, паччахь оьздачу тайпанах а велахь, цуьнан элаша хӀотто деззачу хенахь той хӀоттош а делахь! Цара юург шайн дегӀе ницкъ баийтархьама йоу, ткъа малар дахархьама ца молу.</verse>
				<verse number="18">ХӀусамда мало еш велахь, цӀийнан дукъош охьаоьгур ду. Стага болх бан шен куьйгаш хьала ца айдахь, цӀийнан тхевнах ладар чекхдер ду.</verse>
				<verse number="19">Юург-мерг стагана самукъанна ду, чагӀар синкъерамна ду, ткъа ахчано и дерриг а кхочушдо.</verse>
				<verse number="20">Хьайн дагахь а ма алалахь паччахьна вониг, хьо дӀавуьжучу цӀа чохь а ма алалахь вон дош хьолахочух лаьцна. ХӀунда аьлча стигалшкара олхазарша кхечу метте дӀа а хьур ду хьан дош, тӀемаш долчу цара дӀаса а даржор ду хьан къамел.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="11">
				<verse number="1">Хьайн бепиг хин тӀехула дӀахеца, ткъа шен хан тӀекхаьчча, иза юха карор ду хьуна.</verse>
				<verse number="2">Хьайн долу хьал кхечу ворхӀ я бархӀ стагана дӀадекъа, хӀунда аьлча цхьанна а ца хаьа, хӀун бохам хила тарло кху лаьттахь.</verse>
				<verse number="3">Мархаш догӀанах юьзна елахь, цара и догӀа доуьйтур ду лаьтта тӀе. Ткъа нагахь дитт къилбехьа я къилбаседехьа охьадожахь, ша охьадоьжначохь Ӏуьллур ду иза.</verse>
				<verse number="4">Нагахь стаг механ тергам беш хилахь, цуьнга ялта дӀаден мегар йоцу хан билгалъяккхалур ю. Нагахь стаг мархашка хьоьжуш хилахь, цуьнга ялта чудерзо мегар йоцу хан билгалъяккхалур ю.</verse>
				<verse number="5">Хьуна ца хаьа, ненан кийрахь долчу беран дахар муха долало. Иштта ца хаьа хьуна, дерриге а хӀума кхуллуш волчу Дала хӀун до.</verse>
				<verse number="6">Ӏуьйранна хьалххе хӀу дӀаден волалой, сарралц хьайн болх саца ма бе, хьуна-м ца хаьа, пайден хӀун хир ду: хьалхарниг, я шолгӀаниг, я ший а цхьатерра.</verse>
				<verse number="7">Дахаран серло мерза ю, бӀаьргашна тамехь ду малхан са гар.</verse>
				<verse number="8">Хьо мел дукха вахахь а, хӀора айхьа даьккхинчу дийнах марзо эца. Амма дагахь латтаделахь Ӏожаллин боданан денош, уьш хьо дийна волуш яьккхинчу хенал совдовлу. Ткъа веллачул тӀаьхьа хиндерг кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду.</verse>
				<verse number="9">Хьо къона волуш дахарх самукъа а даккха, хьайн къоналлин деношкахь дог ирсе долуш а хила. Хьайн даго бохучу некъашкахула а лела, хьайн бӀаьргашна гуш дерг ма-хеттара а де, амма ахьа дечу дерригене а хьаьжжина, Дала хьайна кхел йийр хилар диц ма де.</verse>
				<verse number="10">Хьайн даг чуьра гӀайгӀанаш а дӀаяха, дегӀа тӀера сингаттамаш а дӀатийса, хӀунда аьлча дахаран доладалар йолу къоналла кхетам тӀе ца кхуьу хӀуманех юьзна ю.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="12">
				<verse number="1">Къона волуш хьайн дагахь латтавелахь хьуо Кхоьллинарг, хала денош тӀехӀиттале а, «ХӀинца-м дуьненах самукъа а ца долу сан», — ахь олу хан тӀекхачале а,</verse>
				<verse number="2">малх а, серло а, бутт а, седарчий а кхолале а, догӀанна тӀаьххье юха а керлачу мархаша стигал кхолаяле а.</verse>
				<verse number="3">Иштта дагахь латтаве хьо Кхоьллинарг, цӀенна ха дийраш а ластабале, нуьцкъалнаш а саттабале, кӀеззиг бисарна хьерахь болу зударий кӀа ахьа а совцале, корах арахьоьжучу зударийн бӀаьрса кхолале,</verse>
				<verse number="4">араволу неӀарш а дӀакъовлале, хьерарчу тӀулган гӀовгӀа а сацале, олхазаран озо хьо сама а ваккхале, эшарийн гӀовгӀа чекх а ялале.</verse>
				<verse number="5">Иштта дагахь латтаве хьо Кхоьллинарг, хьо лакхенах кхоьру хан а тӀекхачале, некъан халонех а хьо кхерале, миндал-дитто шен заза а хецале, цаьпцалг меллаша а такхале, дахаран чам а хьан дӀабалале. Адам Ӏожаллин цӀа чу ма доьду, ткъа белхар хӀоттон берш хӀинца а урамашкахь лелаш бу.</verse>
				<verse number="6">Иштта дагахь латтаве хьо Кхоьллинарг, дато зӀе а хадале, дашо кад а кагбалале, шовданан коьртехь кхаба а йохале, хин хьостанехь чкъург а кагъялале,</verse>
				<verse number="7">ша схьадаьлла долчу лаьтта чу хьайн дегӀ а юхадерзале, са делла волу Дела волчу хьайн са а юхадерзале.</verse>
				<verse number="8">«Ма кӀорга къайле ю! — олу устазо, — Ма кӀорга къайле ю! Ма дукха хӀума ду вайн кхетам тӀе ца кхуьуш!»</verse>
				<verse number="9">Тидам бе, устаз хьекъал долуш вара, цундела цо халкъана хьехамаш бора. Цо дуккха а кицанаш зуьйра, толлура, дӀаяздора.</verse>
				<verse number="10">Цу устазо, догӀуш доллу хаза дешнаш а лоьхуш, билггал бакъдолу дешнаш дӀаяздина.</verse>
				<verse number="11">Хьекъал долчун дешнаш жаӀуьнан хьокхий санна ду. Цхьана жаӀуьно хьехна, гулдина хьекъале кицанаш дечигах диттина хьостамий санна ду.</verse>
				<verse number="12">Тидам бе, сан кӀант! Кхин а цхьа дӀахьедар до ас хьоьга! Хьекъале кицанаш гулдар чаккхе йоцу болх бу. Хьекъалалла талларо кӀадвийр ву хьо.</verse>
				<verse number="13">Хьуна дӀахезначу дерригенан а жамӀ иштта ду: Делах а кхера, Цуьнан весеташ кхочуш а де, хӀунда аьлча хӀора адамна тӀедиллина декхар ду иза.</verse>
				<verse number="14">ХӀунда аьлча адамаша мел дечунна — къайлаха деш долу дика я вон иза делахь а — Дала Ша кхел йийр ю.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="22">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">Сулим-паччахьан дерриге а иллешна юкъара уггар а хаза илли. Цо берташца дӀахьулйойла сан юьхь! ЧагӀарал мерза бу хьан безам!</verse>
				<verse number="2">Хьан духӀийн хьожа а мерза ю. Хьан цӀе дӀасаӀанийна хьакхар санна ю. Цундела веза хьо мехкаршна!</verse>
				<verse number="3">ДӀайига со хьайца, сихлур ду вайшиъ! Паччахьо шен цӀа чу йиги со! Вайшиъ самукъадаьлла хир ду, сакъоьруш хир ду. ЧагӀарал чӀогӀа болу хьан безам хестор бу вай. Ма нийса бу хьо дукха везаш берш!</verse>
				<verse number="4">Ярушалайман мехкарий, со Ӏаьржа ю, амма хаза ю, Къедаран четарш санна Ӏаьржа ю, Сулиман цӀийнан шаршуш санна хаза ю.</verse>
				<verse number="5">Сан Ӏаьржачу басе ма хьежа — малхо еттина со. Сан ненан кӀенташа, суна оьгӀаз а бахана, кемсийн бошмаш ларъян хӀоттийна со, ткъа сайн кемсийн беш ас лар ца йина.</verse>
				<verse number="6">Сан дагна везнарг, алахьа соьга: мичахь дажадо ахь хьайн даьхни? Мичахь садоӀу ахь делкъахенахь? Хьан накъостийн жашна уллохь хьо, юьхь къайла а яьккхина, хӀунда лоьхура ас?</verse>
				<verse number="7">Хьуна хӀунда ца хаьа и меттиг, зударшна юкъахь уггар исбаьхьаниг? УьстагӀийн лорах дӀа а гӀой, жаӀуйн четарш уллохь хьайн буьхьигаш яжае.</verse>
				<verse number="8">ПирӀунан южучу кхелашна юкъахь уггар исбаьхьачуьнца хьо юсту ас, сан хьомениг.</verse>
				<verse number="9">Исбаьхьа ю хьан беснеш лергарчу чӀагаршна юкъахь. Хьан логах кхозуш жовхӀарш ду.</verse>
				<verse number="10">Детица кхелина дашо чӀагарш йойтур ю вай хьуна.</verse>
				<verse number="11">Шен маьнги тӀехь паччахь хиъна мел Ӏан, сан духӀино шен хаза хьожа йоуьйтура.</verse>
				<verse number="12">Сан накхошна юкъахь Ӏуьллу чохь хаза хьожа йогӀу бецаш долу бохча санна ву сан хьомениг суна.</verse>
				<verse number="13">Мерзачу зазанан курс санна ву сан везарг Ӏейн-ГӀадин кемсийн бошмашкахь.</verse>
				<verse number="14">Ма исбаьхьа ю хьо, сан деган зезаг, ма исбаьхьа ю! Кхокха санна, эсала а, хаза а бу хьан бӀаьргаш!</verse>
				<verse number="15">Ма исбаьхьа ву хьо, сан везарг, ма безаме ву! Соьналлех бина бу вайн мотт.</verse>
				<verse number="16">Вайн цӀийнан бӀогӀамаш хилла лаьтта баганан дитташ, вайн чуьра тхевнаш зоьзан диттех дина ду.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Со Шарон-аренара акха зезаг ду, тогӀи чуьра петӀамат-зезаг ду.</verse>
				<verse number="2">Коканан коьллаш юкъахь петӀамат санна, мехкаршна юкъахь ду сан деган зезаг.</verse>
				<verse number="3">Хьуьнан дитташ юкъахь Ӏожан дитт санна, кхиъначу кӀенташна юкъахь ву сан везарг. Цу Ӏожан ӀиндагӀехь хиъна Ӏаш хазахета суна, цуьнан стоьмаш сов мерза ду ас дууш.</verse>
				<verse number="4">Цо со той долчу цӀа чу йигира, суна тӀехула йолу цуьнан байракх — безам бу.</verse>
				<verse number="5">Кишмашца сан гӀора чӀагӀдейша, Ӏежашца сан дог тодейша, гӀелъяллалц безамах со хьоьгу дела.</verse>
				<verse number="6">Цуьнан аьрру куьг сан коьрта кӀелахь ду, аьтту куьйгаца со марайоьллина цо.</verse>
				<verse number="7">Ярушалайман мехкарий, сейн а, аренан лунийн а цӀарах дехар до шуьга: безам ма баккхийша сама, ма гӀаттабайша иза, цунна лаъалц.</verse>
				<verse number="8">Сайн везарган аз хеза суна! Иза вогӀуш ву, лаьмнашна тӀехула кхиссалуш, гунашна тӀехула лелхаш.</verse>
				<verse number="9">Сан хьомениг масарх я къоначу сайх тера ву. Тхан пенна тӀехьа лаьтта иза, цӀийнан корах чу а хьоьжуш, гурах чекх бӀаьрг а бетташ.</verse>
				<verse number="10">Сан везарг соьга баха хӀоьтти: «ХьалагӀатта, сан хьомениг, сан исбаьхьаниг, араяла.</verse>
				<verse number="11">Хьажал, Ӏа а дӀадаьлла, догӀанаш а севцина.</verse>
				<verse number="12">Лаьтта тӀехь зезагаш а гучудевлла. Олхазарша эшарш лоькху хан тӀееана, къоркхокхийн аз ду вайн махкахь хезаш.</verse>
				<verse number="13">Инжиран дитто шен стоьмаш а марздо, заза даьккхинчу кемсийн таьлланго хьожа а гӀиттайо. ХьалагӀатта, сан хьомениг, сан исбаьхьаниг, араяла.</verse>
				<verse number="14">Ломан чӀожана чохь болу сан кхокха, тархашна юкъахь хьулъелла йолу хьо, гайтахьа суна хьайн юьхь, хьайн аз хазийтахьа суна, хӀунда аьлча хаза ду хьан аз, юьхь а ю хьан исбаьхьа.</verse>
				<verse number="15">Схьалеца тхуна цхьогалан кӀорнеш, кемсийн бошмаш талхош долу! Заза даьккхина йолу кемсийн бошмаш талхош долу цхьогалш схьалеца тхуна!»</verse>
				<verse number="16">Сан везарг сан ву, ткъа со цуьнан ю. Цо шен жа петӀаматаш юккъехь дажадо.</verse>
				<verse number="17">Де дохделла а далале, ӀиндагӀаш а дӀадовдале, цӀа юхаверзахьа, сан хьомениг, чӀажийн лаьмнашна тӀерачу масарх я къоначу сех тарлохьа.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">Бус-буса сайн меттахь а Ӏуьллуш, сайн дагна везначух а хьоьгуш, сайн хьомечух со мел хьоьгура, амма цкъа а иза кара ца вора.</verse>
				<verse number="2">Хьала а гӀаьттина, гӀалин урамашкахула а, майданашкахула а дӀагӀур ю со. Сайн дагна везнарг лоьхур ву ас. Ас лийхира иза, амма суна иза ца карийра.</verse>
				<verse number="3">ГӀалина гобоккхуш болу гӀаролхой дуьхьалкхийтира суна: «Сан дагна везнарг-м ца гира шуна?»</verse>
				<verse number="4">Амма со царна уллора дӀа-ма-елли, сайн дагна везнарг карийра суна. Иза, схьа а лаьцна, сайн ненан цӀа чу, со йинчу чоьнаш чу кхаччалц, дӀа ца хийцира ас.</verse>
				<verse number="5">Ярушалайман мехкарий, сейн а, аренан лунийн а цӀарах дехар до шуьга: безам ма баккхийша сама, ма гӀаттабайша иза, цунна лаъалц.</verse>
				<verse number="6">ХӀун ю иза, яьссачу арара, кӀуьран бӀогӀам санна, гӀоттуш ерг, эцначу тайп-тайпанчу бецех йинчу, хаза хьожа йогӀучу хӀуманийн мархашкахь а хуьлуш?</verse>
				<verse number="7">Хьажал! Сулим ву шен паччахьан гӀантахь вахьаш, кхузткъа тӀемало ву цунна гонах, Исраилан мехкан тоьлла тӀемалой.</verse>
				<verse number="8">Цаьргахь массаьргахь а тарраш ду, уьш тӀамана говза бу. Буьйсанан кхерамех лардан тур ду цаьргахь хӀорангахь а.</verse>
				<verse number="9">Ливанунерчу дечигах гӀант дайтина Сулим-паччахьо, цу тӀехь ша дӀасалелавайта.</verse>
				<verse number="10">Цуьнан гураш, тӀе дети а лоцуш, дайтина цо, цуьнан бух, тӀе деши а лоцуш, байтина, тӀехоу меттиг цӀечу кӀадих яйтина. Чуьра а Ярушалайман мехкарша безамца кечдина ду и гӀант.</verse>
				<verse number="11">Дуьлол, Цийонера мехкарий, хьовсал таж тиллинчу Сулим-паччахье! Паччахьо зуда ялочу дийнахь, цуьнан дагна хазахетар хуьлучу дийнахь, шен нанас иза кечвина таж ду иза!</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">Ма исбаьхьа ду хьо, сан деган зезаг, ма исбаьхьа ду! Кирхьанна кӀелара хьан бӀаьргаш, кхокхарчий санна, эсала бу. ГалӀад-лома тӀера чуйогӀучу гезарех тера ю хьан месаш.</verse>
				<verse number="2">Лийчийначуьра догӀучу лергинчу жерчех тера ю хьан цергаш. Цу жерчийн хӀораннан а шен шаланиг бу, цхьа а байна бац царна юкъахь.</verse>
				<verse number="3">ЦӀен аса санна ду хьан балдаш, ма хаза ю ерриг а хьан бат. Кирхьанна тӀехьа хьан беснеш наран аьхгаш санна хаза ю.</verse>
				<verse number="4">Хьан ворта Даудан бӀов санна ю, исбаьхьа йина йолу. Эзар турс ду цунна тӀехь кхозуш, уьш дерриш а тӀемалойн ду.</verse>
				<verse number="5">Хьан ши накха акхачу газанан шала йинчу шина кӀорнех тера бу. ПетӀаматаш юкъахь ежаш ю уьш.</verse>
				<verse number="6">Де дохделла а далале, ӀиндагӀаш а дӀадовдале, деза даьтта долчу лам тӀе гӀур ву со, хаза хьожа йолчу гу тӀе хьалавер ву.</verse>
				<verse number="7">Ерриг а хаза ю хьо, сан хьомениг, цхьа а сакхт дац хьуна тӀехь!</verse>
				<verse number="8">Схьадола соьца Ливанунера, сан нускал, схьадола соьца Ливанунера! Амана-лома тӀера сихло, Саниран а, Хьермонан а баххьашкара, цӀоькъабергийн лаьмнаш долчуьра, лоьмийн баннаш долчуьра схьайола.</verse>
				<verse number="9">Сан дог йийсаре лаьцна ахь, сан йиша, сан нускал! Сан дог йийсаре лаьцна ахь, цкъа хьайн бӀаьргийн нур а тоьхна, хьайн кочара цхьа жовхӀар а къагийна.</verse>
				<verse number="10">Ма мерза бу хьан безам, сан йиша, сан нускал! Хьан хьестар чагӀарал мел дика ду, хьан хьакхарш массо а хазачу хьожанел гӀолехь ду!</verse>
				<verse number="11">Мерза моз ду хьан багара Ӏенаш, сан нускал. Хьан матта кӀелахь шура а, моз а ду. Ливанунах йогӀучу хьожанах тера ю хьан бедарийн хьожа.</verse>
				<verse number="12">ДӀакъевлина беш ю сан йиша, сан нускал. ДӀакъевлина гӀу а, дӀахьулдина хьоста а ду хьо.</verse>
				<verse number="13">Хьох долу патарш нарийн беш ю, чохь тоьлла стоьмаш болу, йиппар а, деза нард-даьтта а ду.</verse>
				<verse number="14">Деза а, мерза а тайп-тайпана даьттанаш ду, хаза хьожа йогӀучу массо а ковсташца а, дитташца а. Хаза хьожа йогӀу сегӀаз а, сарап а ду, тайп-тайпана духӀиш а ду цигахь.</verse>
				<verse number="15">Хьо бешахь долу хьоста ду, Ливанун-ломара охьаоьхуш долчу дийначу хин гӀу а ю.</verse>
				<verse number="16">Къилбаседера гӀатта, мох, къилбера схьахьакха, сан беша тӀе берза, тӀаккха цуьнан хаза хьожанаш схьахецалур ю. Шен беша вогӀийла сан везарг, цуьнан мерза стоьмаш буийла цо.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">Сайн беша веара со, сан йиша, сан нускал. Сайн хазачу хьожанашца сайн деза даьтта гулдира ас, сайн мазаца долу сайн алхаш диира ас, сайн шуьраца сайн чагӀар мелира ас. Яалаш, доттагӀий, малалаш, дуззалц малалаш, безам баханарш!</verse>
				<verse number="2">Со йижина ю, амма сан дог сема ду. Сан везарган аз ду хезаш, цо неӀ етта: «ДӀаелла суна неӀ, сан йиша, сан хьомениг, сан къоркхокха, сан дашониг! Сан коьрта тӀехь тхи ду, сан месаш тӀехь буьйсанан тӀуналла ю».</verse>
				<verse number="3">Ас сайн коч дӀаяьккхина. Юха тӀеюха еза ас иза? Ас сайн когаш билина. Бех муха бийр бу ас уьш?</verse>
				<verse number="4">Сан везарго неӀаран хераллехула куьг чукховдийра, тӀаккха сан дог тохаделира, иза уллохь волу дела.</verse>
				<verse number="5">Со хьалагӀаьттира, сайн везаргана неӀ дӀаелла. Деза даьтта дара сан куьйгаш тӀера охьаӀенаш, сан пӀелгаш тӀера Ӏенаш дара иза, неӀаран тӀома тӀе Ӏенара иза.</verse>
				<verse number="6">Сайн везаргана неӀ дӀайиллира ас, амма иза, юха а вирзина, дӀавахара. Сан са малделира, иза дӀавахарна. Ас лийхира иза, амма суна иза ца карийра. Со кхайкхира цуьнга, амма иза дуьхьал вист ца хилира.</verse>
				<verse number="7">ГӀалина гобоккхуш болчу гӀаролхоша, дуьхьалкхетча, йиттира суна, лазийра со. ГӀалин пенаш лардечара тӀекхоьллина хӀума схьаяьккхира суна тӀера.</verse>
				<verse number="8">Ярушалайман мехкарий, хӀун эр ду аша, нагахь сан везарг шайна гахь? Ас чӀагӀо йойту шуьга, нагахь сан везарг шайна гахь, алийша цуьнга, со безамо гӀелйина алий.</verse>
				<verse number="9">Хьан везарг кхечарал хӀун гӀолехь ву, зударшна юкъахь исбаьхьаниг? Ахь оццул тхоьга дехар дал, кхечарал хӀун гӀолехь ву хьан везар?</verse>
				<verse number="10">Сан везарг лепаш а, могуш а ву, иза итт эзар кхечарал гӀолехь а ву.</verse>
				<verse number="11">Цуьнан корта — цӀена деши ду, цуьнан месаш, чӀуг тухуш, хьаргӀа санна, Ӏаьржа ю.</verse>
				<verse number="12">Цуьнан бӀаьргаш хина йистехь Ӏаш долчу кхокханех тера бу. Шури чохь луьйчуш ду и кхокхий, хин Ӏаьмнашна уллохь Ӏаш ду уьш.</verse>
				<verse number="13">Цуьнан беснеш бецийн хаьснаш ду, хаза хьожа йолчу ораматийн хас ду. Цуьнан балдаш петӀаматаш ду, шайх деза даьтта схьадолуш долу.</verse>
				<verse number="14">Цуьнан куьйгаш деших дина ду, жовхӀарш тӀе а дохкуш. Цуьнан накха пийлан шерачу кӀомсарех бина бу, маржанаш тӀе а дохкуш.</verse>
				<verse number="15">Цуьнан настарш шагатӀулган бӀогӀамаш ду, дашо когаш тӀе хӀиттийна долу. Ливанунах тера ду цуьнан хатӀ, баганан дитташ санна, куц а долуш.</verse>
				<verse number="16">Цуьнан бага марзо ю, иза верриг а хьоме ву. Иштта ву сан везарг, иштта ву сан хьомениг, Ярушалайман мехкарий!</verse>
			</chapter>
			<chapter number="6">
				<verse number="1">Стенга вахана хьан везарг, зударшна юкъахь исбаьхьаниг? Муьлхачу новкъа дӀавирзина иза? Оха хьоьца цхьаьна лохур вара иза.</verse>
				<verse number="2">Сан везарг шен беша воьссина, мерзачу бецийн хаьснаш долчу, бошмашкахь жа дажо а, петӀамат-зезагаш лахьо а.</verse>
				<verse number="3">Со сайн везарган ю, ткъа иза сан ву. Иза петӀаматаш юкъахь жа дажош ву.</verse>
				<verse number="4">Тирца-гӀала санна, исбаьхьа ю хьо, сан деган зезаг, Ярушалайм санна, безаме ю, байракхашца долу эскар санна, инзаре ю.</verse>
				<verse number="5">ДӀахьажабе суна тӀера хьайн бӀаьргаш, цара дог тохадолуьйту сан. ГалӀадан гунаш тӀера чуюьссучу гезарех тера ю хьан месаш.</verse>
				<verse number="6">Лийчийначуьра догӀучу жерчийн жех тера ю хьан цергаш. Цу жерчийн хӀораннан а шаланиг бу, цхьа а байна бац царна юкъахь.</verse>
				<verse number="7">Кирхьанна тӀехьа хьан беснеш наран аьхкаш санна хаза ю.</verse>
				<verse number="8">Кхузткъа зуда-паччахь а, езткъа гӀарбаш-зуда а елахь а, багар ца баллал мехкарий белахь а,</verse>
				<verse number="9">амма цхьаъ бен йоцург — иза ю, сан къоркхокха, сан дашониг. Цхьаъ бен яц иза шен ненан, ша йиначун къастийна ю иза. Мехкарша, иза ган а гина, декъалйира иза, зуда-паччахьаша а, гӀарбаш-зударша а хастийра иза.</verse>
				<verse number="10">Мила ю иза, цӀийялар санна, лепаш ерг, бутт санна, исбаьхьа ерг, малх санна, къегина ерг, байракхашца долу эскар санна, инзаре ерг?</verse>
				<verse number="11">БӀарийн беша чувоьссира со тогӀи чуьра соьналле бӀаьрг тоха, кемсийн таьлланг хецаеллий а, нараша заза даьккхиний а хьажа.</verse>
				<verse number="12">Сан са хазахетарх дуьзна дара! Хьайн деза даьтта лохьа суна, элийн сан халкъан ва йоӀ!</verse>
			</chapter>
			<chapter number="7">
				<verse number="1">	Юхаерза, юхаерза, кхоччуш исбаьхьаниг! Юхаерза, юхаерза, тхо хьайга хьовсийта! Шу хӀунда хьовсу кхоччуш исбаьхьачуьнга, кӀант шина тобанашна юкъахь халхаре санна?</verse>
				<verse number="2">КӀархаш буьйхина хьан когаш ма хаза бу, баьччанан йоӀ! Говзачу пхьеро кечдина жовхӀарш санна, исбаьхьа ю хьан настарш.</verse>
				<verse number="3">Хьан цӀонга горга кад бу, шена чуьра мерза чагӀар ца хеда. Хьан гӀодаюкъ кӀен барз бу, гонах петӀамат-зезагаш долу.</verse>
				<verse number="4">Хьан ши накха — ши буьхьиг а, акхачу газано шала йина ши кӀорни а санна бу.</verse>
				<verse number="5">Хьан ворта — пийлан кӀомсарех йина бӀов санна ю. Хьан бӀаьргаш — Бат-Рабиман кевнна уллорачу Хьешбонан Ӏаьмнех тера бу. Хьан мара — Дамасакхана тӀеерзийначу Ливанунан бӀаьвнах тера бу.</verse>
				<verse number="6">Хьан корта Кармал-лам санна хьалаайина бу, хьан коьртара месаш таьӀна-цӀен эхангах тера ю. Паччахь цуьнан кӀужалша дӀавихкина лаьтташ ву.</verse>
				<verse number="7">Ма исбаьхьа, ма безаме ю хьо, сан хьомениг, сел тамехь хиларца!</verse>
				<verse number="8">Хурмин дитт санна, куьцехь ду хьан дегӀ, кемсийн хорханаш санна ду хьан накхош.</verse>
				<verse number="9">Ас элира: «Хурми тӀе хьалавер вара со, цуьнан стоьмаш схьалоцур бара ас». Хьан накхош кемсийн хорханаш санна делахьара! Хьан садеӀар Ӏежийн хьожанах тера делахьара!</verse>
				<verse number="10">Цуьнан балдех а, цергех а чекх а долуш, нийсса сан везаргана тӀеоьхуш долу тоьлла чагӀар санна хьан бат елахьара.</verse>
				<verse number="11">Со сайн везарган долахь ю, суна тӀеберзийна бу цуьнан лаам.</verse>
				<verse number="12">Схьавола, сан хьомениг, аренга гӀур ду вайшиъ, ярташкахь буьйсанаш йохур ю вайшимма.</verse>
				<verse number="13">Ӏуьйранна хьалххе кемсийн беша гӀур ду вайша, кемсийн таьлланг хецаеллий а, патарш делладеллий а, нараша заза даьккхиний а хьожур ду вайша. Цигахь ас сайн безам лур бу хьуна.</verse>
				<verse number="14">Безаман зезагаша шайн хаза хьожа хецна, вайн неӀарехь массо а тайпа тоьлла стоьмаш бу, керланаш а, ширанаш а — уьш ас хьуна Ӏалашбина, сан хьомениг.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="8">
				<verse number="1">Сан ненан некхах векхаш волу сан ваша хьо велахьара! ТӀаккха, хьо урамновкъахь дуьхьалкхетча, ас барташ дохур дара хьуна, цхьа а кхаьрдар вацара сох.</verse>
				<verse number="2">Ас сайн ненан хӀусаме вуьгур вара хьо, цигахь ахь суна хьоьхур дара. Ткъа ас хьуна мерза чагӀар а, наран мутта а малор дара.</verse>
				<verse number="3">Цуьнан аьрру куьг сан коьрта кӀелахь ду, аьтту куьйгаца со марайоьллина цо.</verse>
				<verse number="4">Ярушалайман мехкарий, дехар до шуьга: безам ма баккхийша сама, ма гӀаттабайша иза, цунна лаъалц.</verse>
				<verse number="5">Мила ю иза, яьссачу арара, шен везачунна тӀе а теӀаш, схьайогӀуш ерг? Ӏожан дитта кӀелахь самаваьккхина ас хьо. Цигахь хьан нанас вина хьо, цигахь хьо винчо дуьнен чу ваьккхина хьо.</verse>
				<verse number="6">МухӀар санна, со хьайн дага тӀе йиллахьа, чӀуг санна, хьайн пӀелгах йоллахьа, хӀунда аьлча, Ӏожалла санна, чӀогӀа бу безам, дӀакхалхар санна, онда ду хьаьгна хилар. Безаман пхерчий цӀарах дина ду, онда цӀе ю иза ша а.</verse>
				<verse number="7">Даккхийчу хишка яйалур яц безаман цӀе, хин Ӏоврашка дӀахьуллур яц иза. Нагахь цхьаъ, шен берриг а бахам а белла, безам эца гӀерташ хилча, цавашарца дӀатоттур вара иза.</verse>
				<verse number="8">Жима йиша ю тхан, накхош кхиаза ду цуьнан хӀинца а. Оха хӀун дан деза цунна, иза еха нах баьхкича?</verse>
				<verse number="9">Иза пен белахьара, оха цунна тӀехь дато бӀаьвнаш йийр яра. Иза неӀ елахьара, оха баганан аннаш тухур дара цунна тӀе.</verse>
				<verse number="10">ХӀетахь пен санна, шера яра со, амма хӀинца сан накхош бӀаьвнаш санна ду. Цундела цуьнан бӀаьргашкахь сох хӀинца кхиъна яьлларг хилира.</verse>
				<verse number="11">БаӀал ХӀамунехь кемсийн беш яра Сулим-паччахьан. Беш лелочу нахе иза дӀаелира паччахьо. ХӀораммо цхьа эзар дато ахча дала дезара ша гулбинчу стоьмех.</verse>
				<verse number="12">Сан кемсийн беш соьгахь сайгахь ю. Эзар ахча хьуна ду, Сулим, ткъа ши бӀе — беш лелочарна.</verse>
				<verse number="13">Сан хьомениг, хьо сан бешахь Ӏаш ю. Сан накъостий хьоьжуш бу, хьан аз хазархьама. Суна а хазийтахьа иза.</verse>
				<verse number="14">Сихлохьа, сан хьомениг, — масарх я къоначу сех тера хилалахь деза даьтта долчу лаьмнаш тӀехь.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="23">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">Ӏузи-ЯхӀу а, Йовтам а, Ахьаз а, Хьузакх-ЯхӀу а ЯхӀуд-махкахь паччахьаш болчу заманчохь Амосан кӀантана ЕшаӀ-ЯхӀуна ЯхӀуд-махках а, Ярушалаймах а лаьцна Дала суьрташ хӀиттийра.</verse>
				<verse number="2">ЛадогӀа, стигалш, ладогӀа, латта, хӀунда аьлча Везачу Эло боху: «Ас, кхиийна, айинера Сайн кӀентий, ткъа уьш Суна дуьхьалбевлла.</verse>
				<verse number="3">Старана шен да вевза, вирана шен хӀусамден хьаьвда девза, ткъа исраилхошна Со ца вевза, Сан халкъ ца кхета».</verse>
				<verse number="4">Къа ду хьан, къилахь къам, къинойх дуьзна долу халкъ, зуламхойн тукхам, талхаран тӀаьхье! Веза Эла дӀа а тесна, Исраилан халкъан Везачу Делах а ца даьшна, Цунна букъ берзийна аша.</verse>
				<verse number="5">Шуна кхидӀа а хӀунда таӀзар дан деза? Шу кхидӀа а хӀунда дуьхьалдовлу? Берриг а корта цамгар кхетта бу, дерриг а дог гӀелделла ду.</verse>
				<verse number="6">Когийн айрашна тӀера хьеюккъе кхаччалц дийна меттиг яц хьан дегӀа тӀехь. ДегӀа тӀехь чевнаш ю, сурхаш евлла, делладелла даьӀнаш ду. Уьш цӀан ца дина, дӀа ца дихкина, царна даьтта ца хьаькхна, лазар лахдархьама.</verse>
				<verse number="7">Шун латта дассаделла, гӀаланаш цӀеро ягийна, шун кхаш хийрачу наха дассош ду шун бӀаьргашна хьалха. Дерриг а дассаделла, Дела хийрачу нахана тӀелетча санна.</verse>
				<verse number="8">Цийонан йоӀ го лаьцна йисина ю. Иза лаьтта кемсийн бешахь йолу бун санна, наьрсийн кха тӀехь йолу кхалор санна.</verse>
				<verse number="9">Нагахь массо а ницкъийн Везачу Эло цхьаболу дийна биснарш вайна битина ца хиллехь, вай Седам-гӀала санна хир дара, Ӏамор-гӀаланах дӀатарлур дара.</verse>
				<verse number="10">Везачу Элан даше ладогӀа, Седамера баьччанаш! Вайн Дала тӀедиллиначуьнга ладогӀа, Ӏаморера халкъ!</verse>
				<verse number="11">Везачу Эло боху: «Суна стенна оьшу аша сел дукха сагӀанаш дахар? УьстагӀий дагоран сагӀанех а, дустийначу даьхнин махьарах а тӀехвуьзна ву Со. Стерчийн а, Ӏахарийн а, гезарийн а цӀий Суна тамехь дац.</verse>
				<verse number="12">Шу Суна дуьхьалхӀитта даьхкича, хьан боху шуьга Сан керт хьеша.</verse>
				<verse number="13">Ма кхехьа Суна ца оьшу совгӀаташ. Суна вон хета аша, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а ягош, доху сагӀанаш. Бутт цӀинлун денош а, шоьтан денош а даздар а, дезачу деношкахь шун гулдалар а ца деза Суна. Харцонаш лелийначул тӀаьхьа, аша динан гуламашкахь даздар Суна дегаза хета!</verse>
				<verse number="14">Бутт цӀинлуш шун гулдалар а, шун деза денош а Суна бӀаьрга дан ца деза. Уьш мохь санна ду Суна, амма Со кӀадвелла и мохь дӀакхехьа.</verse>
				<verse number="15">ДоӀанаш а деш, аша куьйгаш кхийдочу хенахь Аса шух Сайн бӀаьргаш дӀакъовлу, шайн доӀанаш аша алсамдаьхча, Суна ца хеза, хӀунда аьлча шун куьйгаш цӀийх дуьзна ду.</verse>
				<verse number="16">Хих довла, цӀанло, шайн зуламе гӀуллакхаш Сан бӀаьргашна хьалхара дӀадаха, вониг ма де.</verse>
				<verse number="17">Диканиг дан Ӏама, нийсо лелор лаха, гӀело яр сацаде, вон гӀуллакх нийсонца къастаде, йисина Ӏачу зудчун бакъонаш ларъе.</verse>
				<verse number="18">Дуьйло, цхьаьна къастор ду вай, — боху Везачу Эло. — Шун къинош кӀадин таьӀна-цӀен бос санна дӀа ца дахалуш делахь а, ло санна, кӀайдийр ду уьш. Уьш сирла-цӀен бедар санна делахь а, тӀаргӀа санна, кӀайдийр ду.</verse>
				<verse number="19">Нагахь, Соьга ла а доьгӀна, Ас бохург аша тӀеэцахь, лаьтто кхиийна уггар диканиг дуур ду аша.</verse>
				<verse number="20">Ткъа, Сох дӀа а къаьстина, шу дуьхьалдовлахь, туьро дӀакхоллур ду шу». Хаа ду шуна, Везачу Эло Ша элира иза.</verse>
				<verse number="21">Тохара Везачу Элана тешаме хилла йолу гӀала хӀинца, кхечу деланашна Ӏамал а еш, кхахьпанах тар ма елла! Тохара бакъдерг лелорах юьзна яра иза, нийсо цунна чохь Ӏаш яра, амма хӀинца цигахь адамаш дойурш бен бац!</verse>
				<verse number="22">Хьан детино боьха пардо лаьцна, хьан дика чагӀар хино талхийна.</verse>
				<verse number="23">Хьан баьччанаш, дуьхьал а бевлла, къуйн декъахой хилла. Царна массарна а кхаьънаш деза, лучу хӀуманна тӀаьхьабевлла лела уьш. Кхелахошна хьалха байш ца лардо цара, йисина Ӏачу зудчун гӀуллакх цара къаста ца до.</verse>
				<verse number="24">Цундела боху берриге а ницкъийн Хьалдолчу Эло, Исраилан Нуьцкъалчо: «Сайна дуьхьалбевллачех Со паргӀатвоккхур ву Аса, Сайн мостагӀашна бекхам бийр бу Аса!</verse>
				<verse number="25">Аса Сайн куьг хьуна дуьхьал дерзор ду. Аса хьуна тӀера боьханиг дӀадоккхур ду, тӀелеттачух хьо цӀанйийр ю.</verse>
				<verse number="26">Хьалха санна Ас хьуна куьйгалхой лур бу. Тохара санна Ас хьуна хьехамчаш лур бу. Цул тӀаьхьа хьох „Нийсонан шахьар“ а, „Тешаме гӀала“ а эр ду».</verse>
				<verse number="27">Цийон нийса йинчу кхело кӀелхьарйоккхур ю, Далла тӀебирзина цуьнан бахархой кӀелхьарбохур бу, Дала бакъдерг лела а деш.</verse>
				<verse number="28">Далла дуьхьал бевлларш а, къинош летийнарш а лийр бу, Веза Эла дӀатеснарш хӀаллакбийр бу.</verse>
				<verse number="29">Шу юьхьӀаьржа хир ду ножан боьлакаш бахьана долуш, аша цигахь цӀушна Ӏибадат дина дела. Шуна эхь хетар ду шайн бошмаш бахьана долуш, дог царах лезна дела.</verse>
				<verse number="30">ГӀа охьадоьжна наж санна, хир ду шу, хи доцу беш санна, хир ду.</verse>
				<verse number="31">Ондачух кевстаг хир ю, цуьнан гӀуллакхах суй хир бу. Уьш цхьаьна догур ду, цхьаммо а дӀа а ца дойуш.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Амосан кӀантана ЕшаӀ-ЯхӀуна ЯхӀуд-махках а, Ярушалаймах а лаьцна сурт хӀоьттира. Цо иштта хаам бора:</verse>
				<verse number="2">ТӀаьхьарчу деношкахь иштта хир ду: Везачу Элан цӀа лаьтташ болу лам массо а лаьмнийн коьрте дӀахӀоттор бу. Иза массо а баьрзнел лакхабер бу, цунна тӀе дерриг а халкъаш оьхур ду.</verse>
				<verse number="3">Дуккха а халкъаш тӀедогӀур ду. Цара эр ду: «Схьадуьйла, вай Везачу Элан лам тӀе а, Якъубан Делан цӀа долчу а хьаладевр ду. Везачу Эло вайна Шен некъашца лела хьоьхур ду. ТӀаккха вай, Цуьнан некъашца а лелаш, дехар ду». ХӀунда аьлча товрат-хьехам Цийон-лам тӀера схьабер бу, ткъа Везачу Элан дош Ярушалаймера схьадер ду.</verse>
				<verse number="4">Цо къаьмнашна юкъахь маслаӀат дийр ду, дукхачу халкъашна юкъара къовсамаш совцор бу. ТӀаккха цара шайн таррех хьонхалш бийр бу, ткъа гоьмукъех маьрсаш дийр ду. Цхьана халкъо вукху халкъана тӀе тур ойур дац. Уьш тӀом бан кхин Ӏемар бац.</verse>
				<verse number="5">Яло, Якъубан тӀаьхье! Везачу Элан серлонехь лелар ду вай.</verse>
				<verse number="6">Ахьа Хьайн халкъ, Якъубан тӀаьхье, дӀа ма тесна, хӀунда аьлча нах малхбалера долчу Ӏадатех буьзна бу, пӀелаштамхоша санна, цара бозбунчалла леладо, ткъа хийрачу къаьмнийн нахаца тӀекаре ю церан.</verse>
				<verse number="7">Цу халкъан латта детих а, деших а дуьзна ду, дагар ца даллал хазнаш ю цуьнан, латта дӀалаьцна говраш а ю, ягар ца яллал гӀудалкхаш а ю.</verse>
				<verse number="8">Цуьнан латта цӀуша дуьзна, шайн куьйгаша бинчу царна Ӏибадат деш бу и нах.</verse>
				<verse number="9">ХӀора адамо царна хьалха ша лахдо, хӀора стаг царна охьатаьӀа. Царна геч ма дехьа!</verse>
				<verse number="10">Хьехашна чу а гӀой, лаьтта бухахь къайладовла Везачу Элана хьалха болчу кхерамах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а.</verse>
				<verse number="11">Стеган лакхара хьажар охьатаӀийна хир ду, адамийн дегалла лахъер ю. Цу дийнахь цхьа Веза Эла хир ву лакхахь лаьтташ.</verse>
				<verse number="12">Берриг а ницкъийн Везачу Элан де догӀур ду курачунна а, дегалчунна а, айаделлачунна а — уьш берриш а охьатаӀор бу.</verse>
				<verse number="13">И де догӀур ду лекха а, айаделла а долчу Ливанунан баган-дитташна а, Башанан нежнашна а,</verse>
				<verse number="14">дерриге а лекхачу лаьмнашна а, айаделлачу гунашна а,</verse>
				<verse number="15">муьлххачу а лекхачу бӀаьвнна а, муьлххачу ондачу пенна а,</verse>
				<verse number="16">Таршашан дерриге а хӀордкеманашна а, уггар хазачу кеманашна а.</verse>
				<verse number="17">Стеган куралла лахйийр ю, адамийн дегалла охьатаӀийна хир ю. Цу дийнахь цхьа Веза Эла хир ву лакхахь лаьтташ,</verse>
				<verse number="18">ткъа цӀуш гуттаренна а дӀабевр бу.</verse>
				<verse number="19">Тархашкахь долчу хьехаш чу а, лаьттарчу оьрнаш чу а дӀалечкъар бу нах, Везачу Элах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а кхерабелла, Иза латта дего веача.</verse>
				<verse number="20">Цу дийнахь стага ша Ӏибадат дан бина дато а, дашо а цӀуш боьлкъазаршна а, бирдолагашна а дӀакхуьйсур бу,</verse>
				<verse number="21">тархашкахь долчу хьехаш чу а, лаьттарчу оьрнаш чу а дӀалачкъархьама, Везачу Элах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а кхера а велла, Иза латта дего веача.</verse>
				<verse number="22">Стагах бӀобулий ма Ӏе — мерӀуьргашкахула синош дахарца бен иза ца веха. Цунна тӀетовжа йиш юй ткъа?</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">Хьалдолу Эла волу берриге а ницкъийн Веза Эла Ярушалаймера а, ЯхӀуд-махкара а массо а тайпана гӀо а, гӀоьнча а дӀаваккха хӀутту. Цо дӀабоккхур бу баьпкаца а, хица а бина кечам а,</verse>
				<verse number="2">турпалхо а, тӀемало а, кхелахо а, пайхамар а, пал тосург а, воккха стаг а,</verse>
				<verse number="3">тӀеман хьаькам а, цӀеяхана верг а, хьехамча а, говза пхьар а, молханаш лелош верг а.</verse>
				<verse number="4">Везачу Эло бераш хӀиттор ду, церан хьаькамаш хилийтархьама. КӀентий хир бу царна тӀехь олалла деш.</verse>
				<verse number="5">Халкъана юкъахь цхьаммо вукхунна а, стага уллорачунна а гӀело йийр ю. Жимачо воккханиг лоруш хир вац, ладамбоцучо — лараме верг.</verse>
				<verse number="6">ТӀаккха стага, шен ден доьзалехь волу ваша схьа а лаьцна, цуьнга эр ду: «Хьан тӀехулара бедар ю, тхан баьчча а хилий, хӀокху саьлнийн дола дехьа».</verse>
				<verse number="7">Амма цо чӀагӀонца эр ду: «Соьга хӀумма а нислур дац нахана юкъахь, сан чохь бепиг а дац, тӀехулара бедар а яц, сох халкъан баьчча ма велаш».</verse>
				<verse number="8">Иштта Ярушалайм техкаш ю, ЯхӀудан халкъ дужуш ду! Цара мел олург а, дийриг а Везачу Элана дуьхьал ду. Цуьнан сийлаллица Иза хьоьжуш хилар дола хета царна.</verse>
				<verse number="9">Церан яххьаша гойту уьш бехке хилар, шайн къинах лаьцна цара, ца лечкъош, седамхоша санна, дуьйцу. Къа ду церан! Шаьш шайна бохам бо цара.</verse>
				<verse number="10">Делан лаамехь волчуьнга цуьнца дика хир ву ала, хӀунда аьлча ша динчу дикачу гӀуллакхех пайда оьцур бу цо.</verse>
				<verse number="11">Ткъа Ӏесачун къа ду, хӀунда аьлча ша динчу вочу гӀуллакхашна бекхам хир бу цунна.</verse>
				<verse number="12">Бераша санна, куьйгалхоша сан халкъана гӀело йо, зударша санна, олалла а до цунна тӀехь. Ва сан халкъ! Хьан баьччанаша Ӏехадо хьо, нийсачу новкъара даьккхина хьо цара.</verse>
				<verse number="13">Кхел ян гӀаьттина Веза Эла, Иза лаьтташ ву халкъашна кхел ярхьама.</verse>
				<verse number="14">Кхел а еш, Шен халкъана юкъара баккхий берш а, баьччанаш а бехкебо Везачу Эло: «Сан кемсийн беш санна токхе долу къам дассийнарг шу ма ду! Мискачарах лачкъийна хӀонсах шун цӀенош дуьзна ма ду!</verse>
				<verse number="15">Сан халкъ хьийзо а, мискачарна ницкъ бан а, шуна бакъо хьан елла?» — боху берриг а ницкъийн Хьалдолчу Эло.</verse>
				<verse number="16">Везачу Эло элира: «Цийонан зударий, ца бешаш, кортош а айина, бӀаьргаш а кхерстош, курачу боларца когаш тӀера зӀенаш а екош, лела.</verse>
				<verse number="17">Цийонан зударийн кортошна тӀехь чераш хуьлуьйтур ду Хьалдолчу Эло, церан хьаьжнаш дерзина дохуьйтур ду Везачу Эло, уьш юьхьӀаьржачу а хӀиттош».</verse>
				<verse number="18">Цу дийнахь Везачу Эло хаза хӀуманаш цаьргара дӀайохур ю: когаш тӀера хаза зӀенаш а, коьртан бехчалгаш а, беттан суьртехь тӀеухку хӀуманаш а,</verse>
				<verse number="19">лергах ухкургаш а, хӀазарш а, кирхьанаш а, йовлакхаш а, когийн туьтеш а, доьхкарш а, духӀи чохь долу шишанаш а, молханаш а,</verse>
				<verse number="20">пӀелгах а, мерах а юхку чӀагарш а,</verse>
				<verse number="21">тӀехулара а, чухулара а бедарш а, кирхьанаш а, бохчанаш а,</verse>
				<verse number="22">сирла а, дуткъа а кӀадеш а, таьжнаш а, корталеш а.</verse>
				<verse number="23">Хаза хьожа йогӀучу хӀуманан метта боьха хьожа йогӀу хӀума хир ю, доьхкаран метта муш хир бу, хьийзинчу месийн метта — кӀунзал, синкъераман бедаран метта — сингаттаман духар, хазаллин метта хӀост хир ду.</verse>
				<verse number="24">Хьан божарий туьро эгор бу, тӀамехь турпалхой лийр бу.</verse>
				<verse number="25">ГӀалин кевнийн бӀогӀамаша гӀайгӀа йийр ю, уьш тийжаш а хир ду. Ша гӀала, ерзина зуда санна, яссийна лаьттахь Ӏаш хир ю.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">Цу дийнахь ворхӀ зудчо, цхьа стаг схьа а лаьцна, эр ду: «Тхайн бепиг дуур ду оха, тхайн духар а лелор ду, ахь хьайн цӀе лелаяйтахь тхоьга тхаьшна тӀера эхь дӀадаккха».</verse>
				<verse number="2">Цу дийнахь Везачу Эло кхиийначу зӀийдаго хазалла а, сийлалла а лур ю. Лаьттан ялто дозалла а, сий а лур ду Исраилан халкъах дийна бисинчарна.</verse>
				<verse number="3">Цийонан гӀалахь бисначех а, Ярушалаймехь дийна бисначех а — Ярушалайм-гӀалахь дахарна дӀакъастийначех массарех а — Дала базбинарш эр ду.</verse>
				<verse number="4">Иза иштта хир ду, Хьалдолчу Эло Цийонан зударий цӀена ца хилар дӀадаьккхича, Ярушалайм цунна тӀерачу цӀийх дӀацӀанйича. Цо иза дийр ду кхел яран а, цӀеран а синца.</verse>
				<verse number="5">Берриг а Цийон-лома тӀехула а, цунна тӀехь мел гулбинчу нахана тӀехула а Везачу Эло дийнахь кӀуьран марха а, буьйсанна сирла йогуш цӀе а латтор ю. Делан ерриге а сийлаллина тӀехь марханан кхалор хир ю.</verse>
				<verse number="6">Цу кхалоро дийнахь йолчу йовхонах дӀалачкъа ӀиндагӀ лур ду, ткъа догӀанах а, дарцах а къайлавала иза бун санна хир ю.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">Сайн Хьомсарчунна илли эр ду аса, Хьомсарчун кемсийн бешах долу илли. Сан Хьомсарчун кемсийн беш яра хьийкъинчу лам тӀехь.</verse>
				<verse number="2">Бешара латта а аьхкина, тӀулгаш дӀа а даьхна, тоьлла йолу кемсийн таьллангаш юьйгӀира Цо цига. Цул тӀаьхьа беша юккъехь бӀов а йира, муттдоккхург ян цунна чохь ор а даьккхира. Бешо дика кемсаш яларе хьоьжуш Ӏийра Иза, амма цо муьста кемсаш бен ца елира.</verse>
				<verse number="3">Ткъа хӀинца оцу кемсийн бешан Олахочо боху: «Ярушалайман бахархой а, ЯхӀуд-мехкан адамаш а, Суна а, Сан кемсийн бешана а юкъахь долу гӀуллакх къастадейша.</verse>
				<verse number="4">Айса динчул сов Аса Сайн кемсийн бешана дан дисинарг кхин хӀун дара? Со дикачу кемсашка сатуьйсуш Ӏаш хилча, муьста кемсаш хӀунда елла цо?</verse>
				<verse number="5">Аса эр ду шуьга Сайн кемсийн бешана Айса ден дерг: цуьнан коканийн керт дӀайоккхур ю Аса, тӀаккха беш бежанаша яссор ю. Цуьнан пенаш дохор ду аса, тӀаккха иза массара а хьоьшур ю.</verse>
				<verse number="6">Бешах дассийна латта дийр ду Аса, гаьннаш а хедор дац, охкур а яц, тӀаккха цу тӀехь коканан а, эртхан а коьллаш евр ю. Мархашна омра дийр ду Аса, беша тӀе догӀа ма даийта аьлла».</verse>
				<verse number="7">Берриге а ницкъийн Везачу Элан кемсийн беш — иза Исраилан халкъ ду, ЯхӀудан халкъан адамаш Цунна хазахетта йолу таьллангаш ю. Иза нийсо хиларе хьийжира, амма ницкъ бар хилира, бакъдолчуьнга хьийжира, амма бакъонаш йохор хилира.</verse>
				<verse number="8">Къа ду шун, цӀенна тӀе цӀа а, аренна тӀе аре а оьцучеран. Кхечарна меттиг ца юьту аша, шаьш бен хӀокху лаьтта тӀехь доцуш санна.</verse>
				<verse number="9">Сан лергашна хезаш берриг а ницкъийн Везачу Эло чӀагӀо йира: «Дуккха а долу и цӀенош даьсса хир ду, даккхий а, хаза а долу уьш чохь Ӏаш нах а боцуш хир ду.</verse>
				<verse number="10">Итт шуьстане цхьана дийнахь ахалучу аренал йолчу кемсийн бешо цхьа черма чагӀар бен лур дац. Пхи гали дӀадийначу хӀуьно цхьа мазал кӀа бен лур дац».</verse>
				<verse number="11">Къа ду, Ӏуьйранна хьалххе мала йий лаха хьала а гӀевттина, чагӀаро шаьш дох а деш, сарралц Ӏийначийн.</verse>
				<verse number="12">Церан тойнашкахь тайп-тайпанара дечиг-пондарш а, жиргӀанаш а, зурманаш а, иштта чагӀар а ду. Амма Везачу Элан гӀуллакхашка ца хьовсу уьш, Цуьнан куьйгаша мел дийриг царна ца го.</verse>
				<verse number="13">Иштта, сан халкъ йийсаре гӀур ду, Везачу Эло дечух уьш ца кхетарна. Сан халкъан баьччанаш мацалла лийр бу, ткъа халкъах кхиберш хьогах лийр бу.</verse>
				<verse number="14">Эхарто, шор а делла, барам боцуш шен бага гӀаттор ю. Халкъан баьччанаш а, кхиберш а, церан гӀовгӀа а, дерриг а самукъадоккхург а цу чу охьадуссур ду.</verse>
				<verse number="15">Нах лахбийр бу, адамаш охьатаӀор ду, ткъа курачийн бӀаьргаш а охьахьовсуьйтур бу.</verse>
				<verse number="16">Ткъа массо а ницкъийн Веза Эла вазвийр ву Цо нийсо лелош хиларца, Везачу Дала бакъдерг лелорца Шен возалла гойтур ду.</verse>
				<verse number="17">Шайн дежийлашкахь санна, Ӏахарий дежар ду, ткъа хьолахоша дӀатесначу боьхначу бахамашкахь хийрачу наха хӀума кхоллур ю.</verse>
				<verse number="18">Харцонийн машшашца шайна тӀаьхьа къа кхоьхьучеран а, гӀудалкхийн доьхкаршца санна, зулам шайна тӀеийзочеран а къа ду.</verse>
				<verse number="19">Цара боху: «Дела сихлойла, Ша аьлларг Цо сиха кхочушдойла, вайна иза гархьама. Схьакхочийла иза, Исраилан халкъан Везачу Делан сацам кхочушбойла, вайна иза хаархьама!»</verse>
				<verse number="20">Къа ду вонах дика ду а, диканах вон ду а олучийн, царна боданах серло а, серлонах бода а тарло, къаьхьаниг мерза а, мерзаниг къаьхьа а хета!</verse>
				<verse number="21">Къа ду шаьш шайна хьекъал долуш а, кхетам болуш а хетачийн!</verse>
				<verse number="22">Къа ду чагӀар мала майрачийн а, чӀогӀа малар кечдан говзачийн а.</verse>
				<verse number="23">Цара харцверг бакъво, шайна кхаьънаш делча, ткъа догцӀеначарна нийсаниг дан ца магадо!</verse>
				<verse number="24">ЦӀеро ча дӀакхаллар санна а, екъа буц цӀеран алунашкахь дӀаялар санна а, церан орам телхар бу, ткъа церан заза, чан санна, дӀасадер ду, хӀунда аьлча цара Берриг а ницкъийн Везачу Элан товрат-хьехам дӀатесна, Исраилан Везачу Делан дашах ца баьшна уьш.</verse>
				<verse number="25">Цу бахьаненна Везачу Эло оьгӀазалла Шен халкъана тӀе йоссор ю, Цо, тӀе куьг а кховдийна, таӀзар дийр ду цунна. Цу хенахь лаьмнаш хир ду дегош, адамийн декъий а хир ду арахь Ӏохкуш, гоьргаш санна. И дерриг а хилча а, Везачу Элан оьгӀазалла дӀаялаза хир ю, Цуьнан куьг а дӀакховдийна лаьтташ хир ду.</verse>
				<verse number="26">Дала генарчу халкъашна байракх хьалаойур ю, лаьттан йистошкахь Ӏачарна билгало лур ю. Хьажал, мостагӀа сиха а, атта а схьакхочуш ву!</verse>
				<verse number="27">Царна юкъара цхьа а кӀад ца ло, цхьаннан а ког а ца тасало. Царах цхьанна а наб оза ца йо, цхьа а ца тхьаьвса. Цхьаммо а гӀодаюкъ а ца йосту, цхьаннан а мачийн бахтар а ца хеда.</verse>
				<verse number="28">МостагӀчун пхерчий ира ду, Ӏедаш дуьйлина ду, цуьнан говрийн бергаш мокхазах тера ю, гӀудалкхийн чкъургаш, мох санна, хьийзаш ю.</verse>
				<verse number="29">Цо яьккхина гӀовгӀа лоьман санна ю, цо до гӀигӀ къоначу лоьмийн Ӏахарх тера ду. МостагӀчо, гӀигӀ а деш, бовда гӀерта нах схьалоьцу, цхьаммо а уьш цуьнгара схьабохур бац.</verse>
				<verse number="30">Оцу дийнахь марсбаьллачу хӀордо ен гӀовгӀа санна лаьтта тӀехь мостагӀа гӀергӀаш хир ву. Нагахь санна цхьаъ лаьтта хьаьжча, цунна бода а, бала а гур бу, ткъа мархаша серло дӀакхоллур ю.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="6">
				<verse number="1">Ӏузи-ЯхӀу-паччахь веллачу шарахь лекхачу а, айаделлачу а Ӏаршна тӀехь охьахиъна Ӏаш волу Хьалдолу Эла гира суна. Цуьнан обанан йистоша дерриг а Делан цӀа хьаладуьзнера.</verse>
				<verse number="2">Цунна тӀехула лаьттара сирап-маликаш. Церан хӀораннан а ялх тӀам бара: шинца цара юьхь дӀакъовлура, шинца когаш къайлабохура, ткъа шинца тӀема довлура уьш.</verse>
				<verse number="3">Вовшашка кхойкхуш, бохура цара: «Веза ву, веза ву, веза ву массо а ницкъийн Веза Эла! Дерриг а латта Цуьнан сийлаллех дуьзна ду!»</verse>
				<verse number="4">Церан аьзнаша Делан цӀийнан неӀсагӀанаш егайора, ткъа цӀа кӀуьрах хьаладуьзира.</verse>
				<verse number="5">Ас элира: «Къа ду сан! ХӀаллакьхили со! Сан бага цӀена яц, цӀена баганаш йоцучу халкъана юкъахь Ӏаш а ву со, ткъа сан бӀаьргашна гина Паччахь, массо а ницкъийн Веза Эла».</verse>
				<verse number="6">ТӀаккха цхьа сирап-малик суна тӀедеара. Морзахца сагӀа доккхучу кхерчара схьаэцна, богуш болу кӀега бара цуьнан карахь.</verse>
				<verse number="7">КӀега сан бетах а Ӏоьттина, цо элира: «ХӀара хьан бетах хьакхабелла, хӀинца хьан бехк дӀа а баьккхина, хьан къиношна гечдина».</verse>
				<verse number="8">Юха суна Хьалдолчу Элан аз хезира. Цо бохура: «Мила вахийта Ас? Мила гӀур ву Вайн дуьхьа?» ТӀаккха ас элира: «Со кийча ву! Со вахийтахьа».</verse>
				<verse number="9">Цо элира: «Ваха а гӀой, ала оцу халкъе: „Хезар ду шуна, амма кхетар дац шу. Хьоьжур ду шу, амма маьӀна къастор дац аша“.</verse>
				<verse number="10">Оцу нехан дегнаш чӀагӀде, лергаш къорде, бӀаьргаш дӀакъовла, церан бӀаьргашна са ца гайта а, лергашна ца хазийта а, дегнаш тӀаьхьа ца кхиийта а. Цара иза динехьара, уьш Суна тӀе а боьрзур бара, царна дарба а дийр дара».</verse>
				<verse number="11">Ас элира: «Дукхачу ханна хир дуй иза, Хьалдолу Эла?» Цо жоп делира: «ГӀаланаш ясса а елла, бахархой а боцуш йиссалц, адамаш доцуш цӀенош диссалц, хӀара латта дерриг а дассадаллалц.</verse>
				<verse number="12">Веза Эла волчу Аса адамаш кхузара генна дӀадуьгуьйтур ду, тӀаккха хӀара латта чӀогӀа дассалур ду.</verse>
				<verse number="13">Адамийн уьтталгӀа дакъа лаьтта тӀехь дисахь а, мохк юха а багийна хир бу. Амма ножах, хадийча, лаьттахь юьхк йисаре терра, цу халкъан йисначух деза хӀу хир ду».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="7">
				<verse number="1">Ӏузи-ЯхӀун кӀентан Йовтаман кӀант Ахьаз ЯхӀуд-мехкан паччахь а волуш, Рицан Арам-мехкан паччахь а волуш, ткъа Рамли-ЯхӀун кӀант Пикхахьи Исраил-мехкан паччахь а волуш, тӀом баьлла. Рицан а, Пикхахьи а тӀамца Ярушалайм-гӀалина тӀелетира, амма цаьрга иза схьа ца яккхаелира.</verse>
				<verse number="2">Даудан тӀаьхьенах волчу Ахьаз-паччахье хаам кхечира, арамхой эпраймхошца цхьаьнакхетта аьлла. И кхаъ хезча, паччахь а, цуьнан нах а кхерабелира, мохо ластийна хьуьнхара дитташ санна, бегийра уьш.</verse>
				<verse number="3">Везачу Эло ЕшаӀ-ЯхӀуга элира: «Хьо а, хьан кӀант Шиар-Яшаб а Ахьазана дуьхьал гӀо. Лакхарчу Ӏома чуьра хи охьадогӀучохь, хӀуманаш юьттучеран аренга боьдучу новкъа вала ший а.</verse>
				<verse number="4">Ахьазе ала: „Ларло, амма синтеме хила, кхера а ма кхера, хьайн дог а ма дохаде, и сийсина догуш долу ши дечиг бахьана долуш — Рицан шен арамхошца а, Рамли-ЯхӀун кӀант а оьгӀазвахана дела.</verse>
				<verse number="5">Арамхой а, эпраймхой а, Рамли-ЯхӀун кӀант а хьуна зулам дан гӀерташ бу, цара боху:</verse>
				<verse number="6">‘ЯхӀуд-махкана тӀе а летта, иза, кхера а бина, тӀамца схьа а баьккхина, Табиалан кӀант цигахь паччахь хӀоттор ву вай’.</verse>
				<verse number="7">Амма Хьалдолчу Эло боху: ‘И хӀума лаьттар дац, и гӀуллакх кхочушхир дац,</verse>
				<verse number="8">хӀунда аьлча Араман олахо Дамасакх-гӀала ю, ткъа Дамасакхан олахо Рицан бен вац. Кхин кхузткъе пхи шо даьлча, эпраймхой, шаьш бохийна хиларна, кхин къам хир дац.</verse>
				<verse number="9">Эпрайм-мехкан олахо Шамран-гӀала ю, ткъа Шамранан олахо Рамли-ЯхӀун кӀант бен вац. Нагахь санна шу ца тешахь, шу чӀагӀдина хир дац’“».</verse>
				<verse number="10">Везачу Эло Ахьазе кхин цкъа иштта хаам бира:</verse>
				<verse number="11">«Хьайн Везачу Делера хьайна цхьа билгало еха. И билгало лаьтта бухара я лакхарчу стигалара хила мегаш ю».</verse>
				<verse number="12">Ахьаза элира: «Ас йоьхур яц цхьа а билгало, Веза Эла зуьйр вац ас».</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха ЕшаӀ-ЯхӀус элира: «ЛадогӀа соьга, Дауд-паччахьан тӀаьхьенах берш! Нахана шаьш ен халонаш а ца тоьуш, сан Далла халонаш ян дохку шу?</verse>
				<verse number="14">Хьалдолчу Эло Ша лур ю шуна билгало: „ЙоӀа, берах а хилла, кӀант вийр ву, цуьнан цӀе Ӏимануал туьллур ю.</verse>
				<verse number="15">Цо кӀалд а, моз а дуур ду, вониг дӀататта а, диканиг тӀеэца а Ӏаммалц.</verse>
				<verse number="16">И бер вониг дӀататта а, диканиг тӀеэца а Ӏамале, шу кхоьруш волчу шина паччахьан мехкаш дассийна хир ду.</verse>
				<verse number="17">Амма Везачу Эло хьуна а, хьан халкъана а, хьан ден цӀенна а тӀе Эпрайман къам ЯхӀудан къомах дӀакъаьстинчу хенахь дуьйна ца хилла денош хӀиттор ду — Цо Ашур-мехкан паччахь шуна тӀе лотуьйтур ву.</verse>
				<verse number="18">Цу дийнахь Везачу Эло шок тухур ю, Мисар-махкахь уггар генахь йолчу хин Ӏоврашкара мозий а, Ашур-махкахь долу накхармозий а схьакхайкхархьама.</verse>
				<verse number="19">Схьа а даьхкина, боьранашка а, тархийн кӀаьгнашка а, кӀохцалш мел долчу коьллаш тӀе а, ерриг а руьйтанаш тӀе а охьаховшур ду уьш.</verse>
				<verse number="20">Оцу дийнахь Хьалдолчу Эло Эпрат-хина дехьара тӀелаьцначу уьрсаца — Ашурхойн паччахьца — шун коьрта а, когашна а тӀера чоьш дӀадошур ду, ур-атталла маж а дӀайоккхур ю.</verse>
				<verse number="21">Цу хенахь стаге цхьа шинар а, ши уьстагӀ а бен кхабалур бац,</verse>
				<verse number="22">амма цара луш йолу шура шортта хиларна, цо кӀалд юур ю. Кху лаьтта тӀехь бисначара массара а кӀалддий, моззий дуур ду.</verse>
				<verse number="23">Иштта хӀума а хир ду цу хенахь: эзар дато шекхал ахча мах болу эзар кемсийн таьлланг хьалайолучу меттехь коканан а, кӀохцалан а коьллаш евр ю.</verse>
				<verse number="24">Ӏедаш а, пхерчий а эцна, лелар бу цига нах, хӀунда аьлча дерриг а цу лаьтта тӀехь коканан а, кӀохцалан а коьллаш хир ю.</verse>
				<verse number="25">Хьалха охуш лелийначу цхьана а лам тӀе вахалур вац, цигарчу коканийн а, кӀохцалийн а коьллех кхерарна. Цига стерчий дӀалохкур ду, кегийрачу дохно хьоьшур ду коканаш“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="8">
				<verse number="1">Везачу Эло соьга элира: «Поппаран йоккха экъа схьа а эций, йозанан гӀирсаца къаьсташ дӀаязде цу тӀехь: „МахӀир-Шалал-Хьаш-Баз “».</verse>
				<verse number="2">Ас тешаме волу ши теш лецира сайна: динан да волу УръяхӀу а, Юбарах-ЯхӀун кӀант Закри-ЯхӀу а.</verse>
				<verse number="3">Шегахь Делера хаам болуш йолчу зудчух кхийтира со. Цо, доьзалхочух а хилла, кӀант вира. Везачу Эло соьга элира: «Цуьнан цӀе МахӀир-Шалал-Хьаш-Баз тилла,</verse>
				<verse number="4">хӀунда аьлча цу кӀантана „сан да“, „сан нана“ ала Ӏамале, Дамасакх-гӀалин хьал а, Шамран-гӀалин хӀонс а Ашур-мехкан паччахьна хьалххула дӀахьур ду».</verse>
				<verse number="5">Везачу Эло кхин а цкъа соьга къамел дира:</verse>
				<verse number="6">«ХӀара халкъ тийна догӀучу Шилон-хих ца дашарна, Рицанах а, Рамли-ЯхӀун а кӀантах а доккхадерна,</verse>
				<verse number="7">Везачу Эло буьрса а, доккха а Эпрат-хи хоьцур ду цунна тӀе — иза берриг а шен ницкъаца волу Ашур-мехкан паччахь хир ву. И хи, шен дерриге а хоршара ара а даьлла, массо а бердаш тӀе дер ду.</verse>
				<verse number="8">ЯхӀуд-махкахула дӀа а дахана, иза хьала а буьзна, лаккха хьаладер ду иза, лога кӀел кхаччалц. Ӏимануал, Хьан латта мел ду дӀасадаьржар ду иза, дӀасадахийтинчу тӀемашца санна!»</verse>
				<verse number="9">МостагӀалла леладе, халкъаш, ткъа дог доьхна хила. Генара мехкаш, ладогӀалаш! ТӀамана кечам бе, ткъа дог доьхна хила! ХӀаъ, кечам бе, амма хаа ду шуна, шу дог доьхна хир ма ду!</verse>
				<verse number="10">Дага хӀуманаш леца, амма уьш нислур дац. Дош ала, амма иза кхочушдийр дац, хӀунда аьлча тхоьца Дела ву!</verse>
				<verse number="11">Суна тӀе онда куьг а диллина, цу халкъан новкъахула лелар суна дехка а доьхкуш, Везачу Эло соьга иштта элира:</verse>
				<verse number="12">«Цу халкъо къайлаха барт бар мел ду бохучух къайлаха барт бар ду ма баха, иза кхоьручу хӀуманах ма кхера, ткъа Ӏадийна ма хила.</verse>
				<verse number="13">Массо а ницкъийн Веза Эла шайн Веза Дела бен ма лара, Цуьнга бен ларамах дуьзна ма хила, Цунна хьалха бен Ӏадийна ма хила!</verse>
				<verse number="14">Иза шун еза меттиг хир ю. Амма Исраилан шина пачхьалкхана Цунах нах тасаболуьйтун болу тӀулг а, уьш охьаоьгун болу тарх а хир ю, ткъа Ярушалайман бахархошна Цунах речӀа а, гур а хир бу.</verse>
				<verse number="15">Царах дукхахберш таса а белла, охьа а эгар бу, хӀаллак а хир бу, речӀанна юкъа а нисбелла, схьа а лоьцур бу».</verse>
				<verse number="16">ХӀара тоьшаллин тептар, дӀа а хьарчадай, дӀадехка. ХӀара хьехаман тептар мухӀарца дӀа а къовла. Сан мурдаша иза лардойла.</verse>
				<verse number="17">Якъубан тӀаьхьенах Шен юьхь къайлаяьккхинчу Везачу Эле хьоьжуш хир ву со, Цунах дегайовхо йолуш хир ву со.</verse>
				<verse number="18">ХӀара со а ву, Везачу Эло суна делла бераш а ду. Цийон-лам тӀехь Ӏаш волчу массо а ницкъийн Везачу Эло исраилхошна тоьшаллина а, билгалонна а дахкийтина ду тхо.</verse>
				<verse number="19">Шуьга иштта эр ду: «Шабар-шибар деш болчу жинашца тайначех а, эвлаяэх а дагадийла. Халкъ шен деланех дагадала дезаш дац ткъа? Дийначийн дуьхьа беллачех дага ца довлу ткъа?»</verse>
				<verse number="20">Сан хьехамна а, тоьшаллина а догӀучуьнга бен ла ма догӀа. Оцу наха дуьйцург Делан дашца ма ца догӀу — церан Делан нур дац!</verse>
				<verse number="21">Къизачу Ӏазапехь а, меца а болуш, лаьтта тӀехула лелар бу и нах. Мацалла хӀоьттинчу хенахь, дар а белла, шайн паччахьна а, Далла а луьйр бу уьш.</verse>
				<verse number="22">Стигала а, лаьтта а хьовсур бу уьш, бала а, бода а гур бу царна, буькъачу бодане кхиссина хир бу уьш. Амма хӀинца ша чӀагӀбеллачу меттехь гуттар а хир бац бода.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="9">
				<verse number="1">Хьалхалерчу заманахь Забул-мехкан а, Наптал-мехкан а латтанаш сийсаздахийтина хиларе терра, тӀейогӀуш йолчу хенахь хӀордйистера некъ шена тӀехь болу мохк — Йордан-хил дехьа болу мохк а, кхечу къаьмнех болчу нехан болу Галилай-мохк а — сий дина хир бу.</verse>
				<verse number="2">Боданехь леллачу халкъана йоккха серло гира! Ӏожаллин ӀиндагӀехь болчу махкахь Ӏийначу нахана серло къеггина дӀахӀоьттира!</verse>
				<verse number="3">Веза Эла, Ахь дебийна и халкъ, Ахь алсамдаьккхина цуьнан хазахетар. Хьуна хьалха, ялта чудерзош санна, хӀонс йоькъуш санна, самукъадолуш ду иза.</verse>
				<verse number="4">ХӀунда аьлча Ахь кагдина дӀадаьккхина цунна хало йина долу дукъ а, цуьнан белшаш тӀе йиттина Ӏаса а, цунна ницкъ бинчун гӀаж а, маданхойн эскар Ахь эша-ма-дарра.</verse>
				<verse number="5">ТӀом бинчу тӀемалойн ерриг а мачаш яго цӀерга тосур ю. ТӀамехь цӀийх юьзна ерриг а бедарш цӀеро дӀакхоллур ю.</verse>
				<verse number="6">ХӀунда аьлча вайна бер дина — кӀант велла вайна. Олалла хир ду Цуьнан белшаш тӀехь. Цунна цӀе туьллур ю: Тамашийна Хьехамча, Нуьцкъала Дела, Гуттар а волу Да, Машаран Эла.</verse>
				<verse number="7">Цуьнан олалла дӀасадаьржаш хир ду, цу чохь машар даим лаьтташ хир бу. Даудан тӀаьхьенах волу паччахь санна цо шен пачхьалкхана тӀехь куьйгалла дийр ду. И пачхьалкх дӀа а хӀоттийна, цунна тӀехь паччахьалла дийр ду цо нийсонца а, диканца а, хӀинца дуьйна абаденналц. Массо а ницкъийн Везачу Элан эмгаралло кхочушдийр ду иза.</verse>
				<verse number="8">Хьалдолчу Эло таӀзар до Якъубан тӀаьхьенна, исраилхошна хуьлу и таӀзар.</verse>
				<verse number="9">Цунах лаьцна хуур ду берриге а исраилхошна — Эпрайман тайпанна а, Шамран-гӀалин бахархошна а. Цу наха кураллица а, ца башарца а боху:</verse>
				<verse number="10">«Кибарчигаш охьаэгна, ткъа оха хьаькхна тӀулг хьалабуттур бу. Инжиран дитташ охьадетта, ткъа оха тоьлла долу кхин дитташ дугӀур ду».</verse>
				<verse number="11">Рицанан мостагӀий Везачу Эло Исраилан халкъана дуьхьалбехира, ткъа Исраилан мостагӀий иракарахӀиттийра Рицанна тӀелата.</verse>
				<verse number="12">Арамхой малхбалера тӀелетира, пӀелаштамхой малхбузера тӀегӀоьртира, ткъа схьайиллинчу батошца цара Исраилан мохк дӀакхаьллира. Иза иштта делахь а, Везачу Элан оьгӀазалла дӀа ца яьлла, Цуьнан куьг кхидӀа а халкъана тӀехула дӀакховдийна ду, таӀзар дархьама.</verse>
				<verse number="13">Амма халкъ шена Йиттина Волчунна тӀе ца дирзина, массо а ницкъийн Веза Эла ца лехна цо.</verse>
				<verse number="14">Везачу Эло Исраилан халкъан корта а, цӀога а дӀахадор ду, хурма-диттан га а, эрз а цхьана дийнахь дӀабоккхур бу.</verse>
				<verse number="15">Воккханиг а, цӀе яхана верг а, — иза корта бу, харцо Ӏамош волу пайхамар — иза цӀога ду.</verse>
				<verse number="16">Тхьамданаша и халкъ нийсачу новкъахула ца дуьгу, цара дӀабуьгурш туьлуьйтуш бу.</verse>
				<verse number="17">Цу халкъа юкъара кегийрачу нахах воккхавийр вац Веза Эла, байх а, бисина Ӏачу зударех а къинхетам бийр бац Цо, хӀунда аьлча уьш берриш а Ӏесанаш а, зуламхой а бу, церан баганаша сонталла юьйцу. Иза иштта делахь а, Везачу Элан оьгӀазалла дӀа ца яьлла, Цуьнан куьг кхидӀа а халкъана тӀехула дӀакховдийна ду, таӀзар дархьама.</verse>
				<verse number="18">Харцо цӀерах тера ю, цо, марсйолуш, коканан а, кӀохцалан а коьллаш ягайо, юха луьстачу хьуьна юккъе кхочу иза, кӀур стигала хьала а болуьйтуш.</verse>
				<verse number="19">Массо а ницкъийн Везачу Элан дералло махках цӀе тосу, ткъа халкъ цӀеро дӀакхоллу. Стаг шен ваша кӀелхьарваккха а ца хьожу.</verse>
				<verse number="20">Нах, аьтту агӀор кхевдича а, меца буьсур бу, аьрру агӀор кхевдича а, меца буьсур бу. ХӀора а шен гергарчунна тӀелетар ву.</verse>
				<verse number="21">Маннашан тайпано Эпрайман тайпанна дуьхьал тӀом бийр бу, Эпрайма Маннашана дуьхьал, юха и ши тайпа ЯхӀудана дуьхьал летар ду. Иза иштта делахь а, Везачу Элан оьгӀазалла дӀа ца яьлла, Цуьнан куьг кхидӀа а халкъана тӀехула дӀакховдийна ду, таӀзар дархьама.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="10">
				<verse number="1">Къа ду зуламе парзаш дечеран а, къиза сацамаш дӀаязбечеран а.</verse>
				<verse number="2">Цара Сан халкъа юкъара къен нах нийсачу кхеле ца кхочуьйту, гӀийлачеран бакъонаш схьайоху, бисина Ӏачу зударийн а, байн а долахь дерг дӀадоккху.</verse>
				<verse number="3">ТаӀзар дечу дийнахь, геннара бохам тӀебеача, хӀун дан дохку шу? Хьаьнга гӀо доьхур ду аша? Шайн хьал мичахь дуьтур ду аша?</verse>
				<verse number="4">Схьалецначу нахана юкъахь шу охьасеттар бен дац, байинчарна юкъа охьаоьгур бен дац. Иза иштта делахь а, Везачу Элан оьгӀазалла дӀа ца яьлла, Цуьнан куьг кхидӀа а халкъана тӀехула дӀакховдийна ду, таӀзар дархьама.</verse>
				<verse number="5">«Къа ду Ашуран къоман. Иза Сан оьгӀазаллин гӀаж ю! Цуьнан карахь Сан бекхаман Ӏаса ю.</verse>
				<verse number="6">Ӏесачу халкъана дуьхьал, Со оьгӀазвахийтинчу къомана дуьхьал дохуьйту Аса ашурхойн халкъ, талор лело а, хӀонс яккха а, исраилхой, новкъара хатт санна, хьеша а».</verse>
				<verse number="7">Амма ашурхойн паччахьо иштта ойла ца йо, цуьнан дагахь иза ца хуьлу. Цуьнан Ӏалашо ю дуккха а халкъаш дакъазадаха а, хӀаллакдан а.</verse>
				<verse number="8">Цо боху: «Сан массо а баьччанаш паччахьаш бац ткъа?</verse>
				<verse number="9">КӀаркамиш-гӀалина динарг Хална-гӀалина ца дина те? Арпад-гӀалина динарг Хьамат-гӀалина ца дина те? Дамасакх-гӀалина динарг Шамран-гӀалина ца дина те?</verse>
				<verse number="10">ЦӀуйн карахь йолу пачхьалкхаш Аса схьаяхарна — ткъа оцу пачхьалкхийн цӀуш Ярушалаймехь а, Шамран-гӀалахь а болчу цӀуйл нуьцкъала бара —</verse>
				<verse number="11">Ярушалаймана а, цуьнан куьйга бинчу деланашна а Шамран-гӀалина а, цуьнан цӀушна а диннарг дийр дац Аса?»</verse>
				<verse number="12">Цийон-лам тӀехь а, Ярушалаймехь а Шен гӀуллакх чекх а даьккхина, Хьалдолчу Эло эр ду: «Ашур-мехкан паччахьна таӀзар дийр ду Аса, цуьнан курачу даго кхиийначунна а, цуьнан бӀаьргаш дозаллех буьзна хиларна а».</verse>
				<verse number="13">Цу паччахьо боху: «Сайн куьйган ницкъаца а, сайн хьекъалца а дина ас иза, хӀунда аьлча со хьекъал долуш ву. Ас халкъийн дозанаш дӀадаьхна, церан хьал схьадаьккхина. СтаргӀано санна аса паччахьаш шайн гӀанташ тӀера чукхиссина.</verse>
				<verse number="14">Сан куьйгаша халкъийн хьал, олхазарийн баннаш санна, схьаэцна. Баннаш чохь дисина хӀоаш схьаоьцуш санна, схьаэцна ас дерриг а латта, цхьаммо а тӀам меттах а ца баьккхи, я бага а ца гӀаттий, я цхьа а гӀовгӀа а ца йи».</verse>
				<verse number="15">Диг ша лелочу стагал тоьлуш хир дуй? Херх ша хьокхучул тоьлуш хир буй? Ша хьалаайинчу стагана тӀехь олалла дийр дуй те гӀожо? Дечигах бен боцучу хьокхано адам хьалаойур дуй те?</verse>
				<verse number="16">Массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло берстинчу тӀемалошна тӀе хӀоралла хоьцур ю. Ашур-мехкан паччахьан сийлаллех цӀе латор ю, ткъа и цӀе чӀогӀа йогуш хир ю.</verse>
				<verse number="17">Исраилан Серлонах цӀе хир ю, цуьнан Везачух алу хир ю, цхьана дийнахь ашурхойн паччахьан коканан коьллаш а, къух а догуш йолу.</verse>
				<verse number="18">Ашурхойн паччахьан мел йолу хьаннаш а, бошмаш а, доь ца дуьтуш, хӀаллакйийр ю Цо. Вала воллу стаг гӀелваларх тера хир ду иза.</verse>
				<verse number="19">Бере а дагардаллал кӀезиг дитташ дуьсур ду цуьнан хьаннаш чохь.</verse>
				<verse number="20">Цу хенахь Исраилан халкъах бисина болу, Якъубан тӀаьхьенах кӀелхьарбевлла нах шаьш эшийначух кхин тешна Ӏаш хир бац. Церан дегайовхо билггал Везачу Элах, Исраилан Везачух, хир ю.</verse>
				<verse number="21">Халкъах жима дакъа юхадоьрзур ду, Якъубан тӀаьхьенах бисинарш — Нуьцкъалчу Далла тӀе боьрзур бу.</verse>
				<verse number="22">ХӀордан гӀум санна, дукха нах хьан хиллехь а, Исраил, царах бисинарш бен Далла тӀе боьрзур бац. Халкъ хӀаллакдан сацам бина, нийса таӀзар къомана тӀехдер ду.</verse>
				<verse number="23">Халкъ хӀаллакдан Ша дина омра берриг а махкахула кхочушдан воллу массо а ницкъийн Хьалдолу Эла. Массо а ницкъийн Хьалдолу Эла Ша омра дина хӀаллакдар берриг а махкахула кхочушдан воллуш ву.</verse>
				<verse number="24">Массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло боху: «Цийон-лам тӀехь Ӏаш долу Сан халкъ! Ашурхойх ма кхера, цара шуна гӀожмаш тохахь а, цара, хьалха мисархоша санна, шуна ницкъ бахь а.</verse>
				<verse number="25">Жимма хан яьлча, Сан оьгӀазалла дӀаер ю, тӀаккха Сан дералла уьш хӀаллакбарна тӀейоьрзур ю».</verse>
				<verse number="26">Массо а ницкъийн Веза Эла царна шед етта воллуш ву, Ӏораб-тархана уллохь маданхошна Цо шед ма-еттара. Шен Ӏаса Цо хӀорда тӀехула а лаьцна, хьалха мисархошна санна, ашурхошна дуьхьал ойур ю.</verse>
				<verse number="27">Цу деношкахь Везачу Эло хьан белшаш тӀера Ашуран беза мохь дӀабоккхур бу. Хьан вортанна тӀера дукъ дӀадаьккхина хир ду — хьо дерстина хиларна, и дукъ кагдийр ду.</verse>
				<verse number="28">Ашурхой Ӏаят-гӀалина тӀелетта, МагӀран-гӀаланах чекх а бевлла, Михмас-гӀалахь тӀаьхьалонна дерг охьадуьллу цара.</verse>
				<verse number="29">Лаьмнех дехьа а бевлла, ГибаӀ-гӀалахь буьйса яккха совцу уьш. Рама-гӀалин бахархой бегош бу, Шаулан ГебаӀ-гӀалахь Ӏаш берш дӀасабевдда.</verse>
				<verse number="30">Орца даккха, Галлам-гӀалин бахархой! Тидам бе, Лайша-гӀалин бахархой! Жоп ло, Ӏанатот-гӀалин бахархой!</verse>
				<verse number="31">Мадмуна-гӀалара нах бевдда, Гибаймера бахархой дӀабаха сихбелла.</verse>
				<verse number="32">Оццу дийнахь Нуб-гӀалахь лаьттар бу уьш. Ярушалайм-гӀалин гуна, Цийон-ломана шайн буйнаш лестор бу цара.</verse>
				<verse number="33">Массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло доккхачу гӀоранца дитташ тӀера гаьннаш схьадохур ду, даккхийнаш дӀахьокхур ду, лекханаш лаьтта эгор ду.</verse>
				<verse number="34">Цо дагарца луьста хьун хьокхур ю, Нуьцкъалчун куьйгах Ливанунан хьаннаш оьгур ю.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="11">
				<verse number="1">	Юшайн юьхках зӀийдаг хьалаер ю, цуьнан орамех га схьадер ду.</verse>
				<verse number="2">Везачу Элан Са цунна тӀехь Ӏийр ду. Оцу Сино цунна хьекъал а, кхетам а лур бу, Цо хьехам а, ницкъ а лур бу, Цуьнгахула цунна Веза Эла вевзар а ву, Цунна хьалха ларамах вуьзна а хир ву.</verse>
				<verse number="3">Веза Эла ларар цунна тамехь хир ду. БӀаьргашца гиначуьнга хьаьжна, цо гӀуллакх къастор дац, лергашца хезначуьнга хьаьжна, цо нахана кхел йийр яц.</verse>
				<verse number="4">Къечарна кхел нийсонца йийр ю цо, лаьттан гӀело хьоьгучеран гӀуллакх догцӀеналлица къастор ду цо. ГӀаж санна, багара схьадолучу шен дешнашца цо лаьттана еттар ю. Балдашкахула схьайолучу шен Ӏаьнарца цо Ӏесанаш бойур бу.</verse>
				<verse number="5">Нийсо цуьнан хенаш тӀера доьхка санна хир ю, тешаме хилар цуьнан юкъах долу доьхка хир ду.</verse>
				<verse number="6">ТӀаккха борз Ӏахарца цхьаьна Ӏийр ю, цӀокъ буьхьигна уллохь Ӏуьллур ду, эса а, къона лом а, дерстина даьхни а цхьаьна хир ду. Жимачу беро лелор ду уьш.</verse>
				<verse number="7">Етт стечу ченаца цхьаьна бежар бу, церан кӀорнеш цхьаьна Ӏохкур ю, лоьмо, старо санна, ча дуур ду.</verse>
				<verse number="8">Бер лаьхьанан Ӏуьрга уллохь ловзур ду, цо шен куьг цуьнан бенна тӀе кховдор ду.</verse>
				<verse number="9">Берриг а Сан безачу лам тӀехь зен а, зулам а хир дац, хӀунда аьлча, хино хьалабузу хӀорд санна, Веза Эла вовзарх хьаладуьзна хир ду латта.</verse>
				<verse number="10">Оцу дийнахь Юшайн орамах схьаваьлла стаг, кхечу халкъашна байракх санна, гучувер ву. Кхечу къаьмнех болчара иза лоьхуш хир ву, ткъа иза Ӏаш волу меттиг сийлалла хир ю.</verse>
				<verse number="11">Оцу дийнахь Везачу Эло юха а Шен куьг дӀакховдор ду Ашур-махкара а, Мисар-махкара а, ПатӀрус-махкара а, Хуша-махкара а, Ӏейлам-махкара а, ШанӀар-махкара а, Хьамат-гӀалара а, хӀордан йистехь дехаш долчу къаьмнашкара а Шен халкъах дисина дакъа, мах а бина, юхадало.</verse>
				<verse number="12">Везачу Эло кхечу къаьмнех болчу нахана байракх хьалаойур ю, шайн махкара дӀалаьхкина исраилхой схьагулбийр бу, Ша дӀасабаржийна яхӀудхой дуьненан еа а маьӀӀера схьакхойкхур бу.</verse>
				<verse number="13">Эпрайман хьагӀ а дӀаер ю, ЯхӀудан мостагӀалла дӀахедар ду. Эпрайман ЯхӀуде хьагӀ хир яц, ЯхӀуда Эпраймана мостагӀалла лелор дац.</verse>
				<verse number="14">Эпрайман а, ЯхӀудан а къам, малхбузехьа а дахана, пӀелаштамхошна тӀелетар ду, малхбалерчу халкъийн хьал схьадоккхур ду цара. Эдоман а, Муабин а къаьмнаш цара эшор ду, ткъа Ӏамминан халкъ муьтӀахь хир ду цушинна.</verse>
				<verse number="15">Мисаран хӀордана хи чукхета меттиг якъор ю Везачу Эло. Морцучу мохаца Цо, тӀехула Шен куьг а лаьцна, Эпрат-хи, ворхӀ татол а дина, доькъур ду. Цу татолех, кӀархаш а буьйхина, дехьавалалур ву.</verse>
				<verse number="16">ТӀаккха Ашур-махкахь дисинчу Цуьнан халкъан декъана боккха некъ хир бу, ша Мисар-махкара арадолучу хенахь Исраилан халкъана иза хиларе терра.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="12">
				<verse number="1">Цу дийнахь вайн къомо эр ду: «Хьо хаставо оха, Веза Эла. Хьо тхуна оьгӀазвахана хиллехь а, Хьайн оьгӀазалла дӀаяьккхина, Ахь тхуна синтем белла.</verse>
				<verse number="2">Дела ву тхо кӀелхьардоккхург, Цунах тхо тешна Ӏаш ду, тхо ца кхоьру цхьана а хӀуманах, хӀунда аьлча Веза Эла тхан ницкъ бу, Цуьнан дуьхьа оха илли олу, Цо тхо кӀелхьардаьхна дела.</verse>
				<verse number="3">КӀелхьардовларан хьостана чуьра хи оьцур ду аша самукъадаларца».</verse>
				<verse number="4">Цу дийнахь аша эр ду: «Хаставе Веза Эла, деха Цуьнга, халкъашна Цуьнан гӀуллакхех лаций дийца, Цуьнан цӀе сийлахь хилар дагадаийта массарна а.</verse>
				<verse number="5">Иллица хаставе Веза Эла, Цо сийлахь гӀуллакхаш дина дела. ДӀахоуьйла иза дерриге а дуьненахь.</verse>
				<verse number="6">Мохь хьоькхуш доккхаде, Цийонан халкъ, хӀунда аьлча Исраилан Везаниг хьуна юкъахь сийлахь ву».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="13">
				<verse number="1">ХӀара бу Амосан кӀантана ЕшаӀ-ЯхӀуна Бавелах лаьцна гучубаьккхина болу хаам.</verse>
				<verse number="2">«Берзинчу лам тӀехь байракх айа, айинчу озаца тӀемалошна омра де. Куьг ластаде цаьрга, уьш хьолахойн кевнашна чугӀортийта.</verse>
				<verse number="3">Айса дӀакъастийначаьрга омра дина Аса, Сан дозаллех самукъадолуш болчу Сайн тӀемалошка кхайкхира Со Сан бекхам кхочушбе аьлла.</verse>
				<verse number="4">ЛадогӀа, лаьмнашкахь гӀовгӀа хезаш ю — адамийн йоккхачу тобанан гӀовгӀа! ЛадогӀа, пачхьалкхашна юкъахь гӀовгӀа хезаш ю — къаьмнаш цхьаьнакхетаран гӀовгӀа! Массо а ницкъийн Веза Эла доккха эскар хӀоттош ву, тӀом бархьама.</verse>
				<verse number="5">Генарчу махкара, дуьненан йистера, схьавогӀуш ву Веза Эла Шен бекхам баран герзашца, дерриг а латта хӀаллакдархьама.</verse>
				<verse number="6">Делха, герга ду Везачу Эло кхел ен де. Цу дийнахь Нуьцкъалчо дерриг а хӀаллакдеш болу ницкъ гойтур бу.</verse>
				<verse number="7">Цундела массеран а куьйгаш, чуьра са дӀадаьлча санна, охьагӀур ду, хӀораннан дог, Ӏадийна, дешар ду.</verse>
				<verse number="8">Уьш кхерабелла хир бу, чӀогӀачу лазарша дӀалоцур бу уьш. Бер деш йолу зуда санна, хьийзар бу и нах. Йогучу яххьашца, цецбевлла, вовшашка хьоьжур бу уьш.</verse>
				<verse number="9">ХӀинца оьгӀазаллица а, йогучу дераллица а тӀедогӀуш ду Везачу Элан буьрса де. Лаьттах яьсса аре ян а, цу тӀера къинош летийнарш дӀабаха а догӀуш ду и де.</verse>
				<verse number="10">Стигаларчу седарчаша а, седарчийн тобанаша а шайгара серло лур яц. Ша хьалагӀоттуш, малх кхоьлина хир бу, батто а шен серло лур яц.</verse>
				<verse number="11">Ас дуьненна таӀзар дийр ду цо динчу вонна дуьхьал, ткъа Ӏесачарна шаьш летийначу къиношна доггӀург дийр ду. Ас курачийн дегалла дӀайойур ю, ницкъбечеран деза деттар сийсаздийр ду.</verse>
				<verse number="12">Дийна бисина нах цӀеначу дешил сов кӀезиг хуьлуьйтур бу Ас, Апарера деъначу дешил а кӀезиг адамех диснарш дийр ду Ас.</verse>
				<verse number="13">Берриг а ницкъийн Везачу Элан дералла бахьана долуш, Цуьнан чӀогӀачу оьгӀазаллин дийнахь, Цо стигал ластор ю, латта а ша долчуьра меттахдер ду.</verse>
				<verse number="14">ТӀаккха хӀорра а, эккхийна сай санна, дӀатесна дитина уьстагӀий санна, шен халкъана тӀе гӀур ву, шен махка водур ву.</verse>
				<verse number="15">Амма каравеъначунна гоьмукъ чекхбоккхур бу, схьалаьцнарг туьро вожор ву.</verse>
				<verse number="16">Церан бераш царна хьалха хьошур ду, церан цӀеношкахь талораш дийр ду, церан зударий сийсазбийр бу.</verse>
				<verse number="17">Ас царна дуьхьал мадайхой бохур бу, ткъа цара дети а ца лору, иштта деших а дезар ца оьцу.</verse>
				<verse number="18">Церан Ӏедаша кегий нах эгор бу. Аганара бераш а кхоадийр дац цара, берех а къинхетам бийр бац цара.</verse>
				<verse number="19">Бавел-махках лаьцна аьлча, иза пачхьалкхийн хазалла а, хашадхойн дозаллин исбаьхьалла а ю. Амма Бавел-гӀала, Седам а, Ӏамор а санна, Дала хӀаллакйийр ю.</verse>
				<verse number="20">Абаден абаде даллалц, бахархой хир бац цунна чохь, массо а тӀейогӀучу тӀаьхьенашкахь цигахь стаг Ӏийр вац. Ӏаьрбичо шен четар а хӀоттор дац цигахь, шайн жеца садоӀуш Ӏуй а Ӏийр бац.</verse>
				<verse number="21">Амма яьссачу аренан акхарой лелар ю цу чохь. ЦӀенош бухӀанаша хьаладузур ду. Страус-олхазарша бенаш дийр ду цигахь, уьдуш акха гезарий а хир ю.</verse>
				<verse number="22">Акха жӀаьлеш угӀур ду дӀатесна йолчу цуьнан бӀаьвнашкахь, ткъа чангӀалкхаш — цуьнан исбаьхьачу гӀаланашкахь. Иза хиндолу хан гергакхаьчна, ткъа цуьнан денош дахдийр дац».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="14">
				<verse number="1">Везачу Эло Якъубан тӀаьхьенах къинхетам бийр бу, Исраилан халкъ юха а Шен халкъ санна схьакъастор ду Цо. Шайн лаьтта тӀехь исраилхой баха ховшор бу Цо. Кхечу къаьмнех болу нах царах дӀакхетар бу, Якъубан тӀаьхьенах хотталур бу уьш.</verse>
				<verse number="2">Къаьмнаша исраилхошна гӀо а дийр ду, шайн меттиге юха а балор бу. Исраилан тӀаьхьено кхечу къаьмнех болчу нехан дола дийр ду, уьш Везачу Элан лаьтта тӀехь, леш а, гӀарбашаш а санна хир бу. Шаьш йийсаре лаьцначарна хӀинца йийсар дийр ду исраилхоша, шайна гӀело йиначарна тӀехь цара хӀинца олалла дийр ду.</verse>
				<verse number="3">Везачу Эло хьайн баланах а, гӀайгӀанах а, луьрачу лоллех а хьо, Исраилан халкъ, кӀелхьардаьккхинчу дийнахь,</verse>
				<verse number="4">Бавелан паччахьах кхардаран илли эр ду ахь: «Ницкъ бийриг вала ма велла! Цуьнан дералла дӀа ма сецна!</verse>
				<verse number="5">Ӏесачу паччахьийн олалла гойту гӀаж Везачу Эло кагйина.</verse>
				<verse number="6">Оцу олахоша шайн оьгӀазаллица халкъашна ца соцуш тухура, шайн дераллица къаьмнаш муьтӀахь дора, царна ницкъ бар юха а ца узуш.</verse>
				<verse number="7">Дерриге а дуьнен тӀехь машар а, сашорте лаьтта. Массара а хазахетарца маьхьарий детта.</verse>
				<verse number="8">Баганан диттийн хьо дӀаваларх самукъадолу, ткъа Ливанунера дитташа хазахетарца боху: „Хьо дӀакхелхинчул тӀаьхьа, цхьа а ца вогӀу тхо, хедош, охьадетта“.</verse>
				<verse number="9">Лахахь долу эхарт карзахдаьлла, хьуна, цига лаха хью ваьлча, дуьхьалхӀоттархьама. Хьуна лерина, цо беллачийн синош самадаьхна — дуьнен тӀехь баьччанаш хилла болчийн синош. Кхечу къаьмнийн паччахьаш хилларш шайн гӀанташ тӀера гӀиттийна цо.</verse>
				<verse number="10">Цара бохур ду хьоьга: „Тхо санна гӀорасиза висина хьо а! Тхох тар ма велла хьо!“</verse>
				<verse number="11">Дечиг-пондарш лакхарца хьо лакхаваккхар хӀинца лахахь долчу эхарта чукхоьссина ду. Хьуна кӀелахь а, мотт-гӀайба хилла, нӀаьний хир ду, хьуна тӀехула а, юргӀа хилла, нӀаьний хир ду.</verse>
				<verse number="12">Стигалара охьа ма воьжна хьо, Ӏуьйренан сирла седа! Дитт санна лаьттара ма хьаькхна хьо, хьалха халкъаш эшош хилларг!</verse>
				<verse number="13">Хьайн дагахь ахь бохура: „Стигала хьала а ваьлла, Делан седанел а лакхадоккхур ду ас сайн гӀант, къилбаседанан йистехь болчу деланийн кхеташонан ломана тӀехь охьахуур ву со.</verse>
				<verse number="14">Стигалан Ӏаьрчашка хьала а ваьлла, Веза Воккхачух дӀатарлур ву со“.</verse>
				<verse number="15">Амма хьо эхарта чукхоьссина, хьо Ӏинан бухе кхаьчна.</verse>
				<verse number="16">Хьо гуш берш, хьоьга а хьоьжуш, ойла еш бу: „Иза вуй те и стаг, латта дегийнарг, пачхьалкхашна тӀе кхерам тийсинарг,</verse>
				<verse number="17">гӀаланаш а йохош, лаьттах яьсса аре йинарг, шен йийсархой цӀа ца хецнарг?“</verse>
				<verse number="18">Къаьмнийн кхиболу паччахьаш берриш а сийлаллица Ӏохкуш бу, хӀора а шен къубба чохь Ӏуьллуш ву.</verse>
				<verse number="19">Амма хьан къубба яц, пайденна доцу га санна, аракхоьссина ву хьо. Хьо байинчеран декъех кхелина ву, туьро Ӏоьттинчарна а, Ӏинан тӀулгашка охьадиссинчарна а юкъахь Ӏуьллуш ву хьо. Ткъа хьан дакъа хьоьшуш ду.</verse>
				<verse number="20">Вукху паччахьех дӀакхетар вац хьо кошахь, хӀунда аьлча хьайн латта дакъазадаьккхина ахь, хьайн халкъ а хӀаллакдина. Цкъа а хьахор яц зуламхойн тӀаьхье.</verse>
				<verse number="21">Цуьнан кӀентий байа меттиг кечъе. Уьш хӀаллакбийр бу церан дайн къинош бахьана долуш. Цаьрга, гӀовтта а гӀевттина, латта дӀа ма лацийта, дуьне гӀаланех хьала ма дузийта».</verse>
				<verse number="22">«Царна дуьхьал гӀоттур ву Со, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло, — Бавелан халкъан цӀе а йойур ю, ерриг а тӀаьхье а, кӀант а, кӀентан кӀант а хӀаллаквийр ву, — боху Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="23">Бавел зуьнашна дӀалур ю, цигахь уьшал хӀоттор ю. Ондачу девзагца хьаькхна дӀайоккхур ю Аса иза», — боху массо а ницкъийн Везачу Эло.</verse>
				<verse number="24">Массо а ницкъийн Везачу Эло чӀагӀо йира: «Аса ойла ма-ярра хир а ду, Аса сацам ма-барра, кхочуш а хир ду.</verse>
				<verse number="25">Сайн махкахь ашурхой хӀаллакбийр бу Аса, Сайн лаьмнашкахь уьш хьошур бу Аса. Ашурхойн дукъ Сан халкъана тӀера дӀадер ду, церан белшаш тӀера беза мохь а дӀабер бу».</verse>
				<verse number="26">Иштта хир ду дерриг а дуьненна лерина къастийнарг, массо а халкъана тӀехула лаьцна Везачу Элан куьг а ду,</verse>
				<verse number="27">хӀунда аьлча массо а ницкъийн Везачу Эло къастийнарг хьаьнга дӀадаккхалур ду? Цо кховдийна куьг хьаьнга сацалур ду?</verse>
				<verse number="28">Ахьаз-паччахь веллачу шарахь Делера болу иштта хаам кхечира:</verse>
				<verse number="29">«Доккхадеш ма хила, пӀелаштамхойн халкъ, хьайна ницкъ беш хилла гӀаж кагъелла алий. Оцу лаьхьанах дӀаьвше кӀорни хир ю. Орамал стом вон хиларе терра, лаьхьанан хӀоьах кхераме саьрмик хир ма бу.</verse>
				<verse number="30">Мискачарах уггар кӀезиг берш, жа санна, бежаш хир бу, ткъа къенаш, уьстагӀий санна, кхерам боцуш Ӏохкур бу, амма шун орам, мацалла а хӀоттийна, хӀаллакбийр бу Аса, ур-атталла цунах кӀелхьарваьлларг а лийр ву.</verse>
				<verse number="31">Делха, гӀалин кевнаш! Орца даккха, гӀаланаш! Кхерамах дешна хила, шу массо а пӀелаштамхой! Къилбаседера, кӀур а гӀаттийна, эскар догӀу, цхьа а гӀийланиг вац цу бӀаьна юкъахь.</verse>
				<verse number="32">ПӀелаштамхоша бахкийтинчу геланчашка хӀун эр ду? Оха эр ду: „Везачу Эло Цийон-гӀала чӀагӀйина дӀахӀоттийна, ткъа цу чохь Цуьнан халкъана юкъара гӀело хьегначарна дӀалечкъийла карор ю“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="15">
				<verse number="1">ХӀара бу Муабих лаьцна болу хаам. Маржа-яӀ, цхьана буса Муабера Ӏар-гӀала, дакъаза а яьккхина, йохийна ю! Маржа-яӀ, цхьана буса Муабера Кхир-гӀала, дакъаза а яьккхина, йохийна ю!</verse>
				<verse number="2">Нах шайн делан цӀа а, Дибон-гӀала а йолчу богӀу, уьш сагӀа доккхучу гунашна тӀе хьалабовлу, цигахь белхархьама. Муабин халкъо тийжам бо Набу а, Мейдеба а гӀаланех. Церан массеран а кортош дӀалергина ду, массеран а мажош дӀаяьшна ю.</verse>
				<verse number="3">Муабин урамашкахь нах сингаттаман духар дуьйхина бу. Тхевнаш тӀехь а, майданашкахь а дерриг а адам доьлхуш а, бӀаьрхих дуьзна а ду.</verse>
				<verse number="4">Хьешбон а, ЭлиӀала а гӀаланашкара бахархой боьлхуш бу, церан тийжар ЯхӀац-гӀалина тӀекхаччалц хезаш ду. Оцу бахьаненна Муабин тӀемалоша маьхьарий детта — уьш дог доьхна бу.</verse>
				<verse number="5">Муабих дог доьлху сан. Цу махкара уьдуш бу нах ЦӀоӀар-гӀала а, ӀагӀлат-Шалши олучу метте а кхаччалц. Лухьайт цӀе йолчу метте хьалабовлу уьш белхарца, Хьоронайме боьдучу новкъахь чӀогӀа белхар хӀоттадо цара.</verse>
				<verse number="6">Нимрайман хиш дӀалекъна, аренан беш якъаелла, буц маргӀалйоьлла, соьналла а дӀаяьлла.</verse>
				<verse number="7">Шаьш кхоийнарг а, гулдинарг а, схьа а эцна, Акхтаргийн хих дехьадоккху наха.</verse>
				<verse number="8">Берриг а Муаби-махкахь белхар ду, АгӀлайм-гӀалина а, Беар-Элим цӀе йолчу меттигна а тӀекхаччалц ду тийжар.</verse>
				<verse number="9">Дибон-гӀала цӀийх хьалаюьзна ю, амма Везачу Эло кхин а зен дийр ду цу махкана — Муабера бевддачарна а, махкахь бисинчарна а тӀе лом хоьцур ду.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="16">
				<verse number="1">«Вайн лаьттан олахочунна совгӀатна Ӏахарий дахьийта СилаӀ-гӀалара яьссачу аренгахула Цийонан йоӀан лам тӀе».</verse>
				<verse number="2">Бенаш чуьра ара а кхиссина, кхерсташ лелачу олхазарех тера хир бу Муабин зударий Арнон-хин гечонаш йолчохь.</verse>
				<verse number="3">«Хьехар лохьа, хӀун дан деза алахьа, — боху муабахоша ЯхӀудан халкъе. — Буьйсанан бодано санна, дийнахь хьайн ӀиндагӀца дӀахьулдехьа тхо, ларбехьа лаьхкина лелош берш, девдда лелаш долу тхо Ӏора ма дахахьа.</verse>
				<verse number="4">Хьо волчохь Ӏайтахьа сан лаьхкина лелош болу муабахой, хӀаллакбечух йолу дӀалечкъийла царна хилахьа». Ницкъбийриг дӀавер ву, хӀаллакдар а соцур ду, гӀело йийраш лаьтта тӀера дӀабевр бу.</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха хедар боцучу безаман бух тӀехь паччахьалла дӀахӀоттор ду, Даудан тӀаьхьенах волчу тешамечу паччахьо олалла дийр ду. Иза бакъдерг лоьхуш волу кхелахо хир ву, нийсо лело сихлур а ву.</verse>
				<verse number="6">«Муабин кураллех лаьцна хезна тхуна, цуьнан деза деттарх а, дозаллах а, чуьравийларх а хезна. Амма цуьнан деза деттар эрна ду».</verse>
				<verse number="7">Цундела муабахой боьлхур бу, цара массара а Муабин къомах белхар дийр ду. Кхир-Хьарсат-гӀалара Ӏаьвдинчу кемсийн курсаш дага а оьхуш, аша узарш а дийр ду, шу дог доьхна а хир ду.</verse>
				<verse number="8">Цу хенахь иштта хир ду: Хьешбон-гӀалина уллора кхаш дакъалур ду, ткъа Сибма-гӀалин кемсийн бошмаш мазакъъевр ю. Кхечу къаьмнийн олахоша бошмийн тоьлла йолу таьллангаш хьоьшур ю. ДӀаяханчу хенахь и таьллангаш ЯӀзир-гӀалина тӀекхаччалц яьссачу ара кхочура, кемсийн таьллангаш, дӀаса а яьржаш, хӀордал дехьайовлуш яра.</verse>
				<verse number="9">Цундела со а, ЯӀзирера бахархой санна, тийжар ву хӀаллакйинчу Сибмерачу кемсийн бошмех. Шуьца хиллачух сайн бӀаьрхиш Ӏенор ду ас, Хьешбон-гӀалара а, ЭлиӀала-гӀалара а бахархой, хӀунда аьлча шун кемсаш а, ялта а чудерзош хуьлуш долчу гӀовгӀанечу самукъадаларан метта тӀеман маьхьарий детташ ду.</verse>
				<verse number="10">Токхечу лаьтта тӀера самукъадалар а, доккхадедар а дӀаэцна, кемсийн бошмашкахь эшарш а ца лоькху, нехан баккхийбер а дац. Муттдоккхургашкахь цхьа а кемсаш хьошуш вац. Везачу Эло ирсе маьхьарий дӀасацийна.</verse>
				<verse number="11">Цундела мерзаша роггӀана дагадо пӀелгаш санна, багабо сан кийра, Муабих къахеташ. Кхир-Хьарасах дог а лозу сан.</verse>
				<verse number="12">СагӀа доккхучу шайн гуна тӀе хьала а бовлуш, муабахоша шаьш кӀадбахь а, шайн деланийн цӀенна тӀе а баьхкина, шаьш доӀанаш дахь а, гӀуллакх хир дац.</verse>
				<verse number="13">Иза дара Везачу Эло дукха хенахь дуьйна хьалха муабахойх аьлла дош.</verse>
				<verse number="14">Ткъа хӀинца Везачу Эло иштта боху: «ТӀелаьцна болх баран шераш юкъа а лоцуш, кхо шо даьлча, Муабин сийлалла дерриг а цуьнан доккхачу халкъаца хӀаллакйийр ю. Бисинарш вуно кӀезиг а, ницкъ боцуш а хир бу».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="17">
				<verse number="1">ХӀара бу Дамасакх-гӀаланах лаьцна болу хаам. «ГӀаланаш юкъара дӀайоккхур ю Дамасакх. Йоха а йина, херцораш бен юьтур яц цунах.</verse>
				<verse number="2">ӀаруӀер-гӀалина гонах йолу гӀаланаш яссалур ю. Акха лелачу жашна юьсур ю уьш, дӀакъахко стаг а воцуш, уьстагӀий цигахь Ӏохкур ду.</verse>
				<verse number="3">Эпрайм-махкара чӀагӀйина гӀаланаш къайлаевр ю, ткъа Дамасакх-гӀалара паччахьалла дӀадер ду. Араман къомах бисинчарна хир ду исраилхойн сийлаллина хилларг, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло.</verse>
				<verse number="4">Оцу дийнахь иштта хир ду: Якъубан тӀаьхьенан сийлалла дӀаер ю. Хьийкъина дегӀ санна долу и халкъ азлур ду.</verse>
				<verse number="5">Маьрсахочо, арахь лаьтта кӀа куьйгаца гул а дина, кенаш хедор санна хир ду иза. Репайм тогӀи чохь дисина кӀен кенаш гулдар санна хир ду иза.</verse>
				<verse number="6">Зайт-дитташ тӀера стоьмаш охьаэгош санна, хир ду иза. Ши-кхо стом буьххьехь а, я биъ-пхиъ дикачу гаьннаш тӀехь а буьсур бу», — боху Исраилан Дела волчу Везачу Эло.</verse>
				<verse number="7">Цу дийнахь стеган хьажар ша Кхоьллинчуьнгахьа хир ду, цуьнан бӀаьргаш Исраилан Везачу Далла тӀехьажийна хир бу.</verse>
				<verse number="8">Шайн куьйгашца кечйинчу сагӀа доккхучу меттигашка, гӀо а дезаш, хьовсур бац уьш. Иштта уьш тешарца хьовсур бац шайн пӀелгашца динчуьнга — Ашера-далла лерина долчу дечиган бӀогӀамашка а, хаза хьожа йогӀу хӀума яго кхерчашка а.</verse>
				<verse number="9">Церан чӀагӀйина гӀаланаш, ясса а елла, хьаннашкахь а, лаьмнаш тӀехь а йолчу харцорех тера хир ю. Оцу гӀаланашна чуьра нах дӀабевдда, исраилхой махкана тӀелеттачу хенахь. Цигахь дерриге а дассийна хир ду.</verse>
				<verse number="10">Иштта хир ду шуна шайн кӀелхьардовларан Дела вицваларна, Дела шун дӀалечкъийла йолу тарх хилар шуна дага ца дарна. Мелхо а, самукъадаккхаран бошмаш а кхиийна, хийрачу таьлланга тӀера маргӀалш доьгӀна аша.</verse>
				<verse number="11">Шаьш маргӀалш дӀадугӀучу хенахь аша гӀайгӀа бира уьш кхиийта, Ӏуьйранна цаьрга заза даккхийтира аша, амма ялта гулдечу хенахь цунах хӀумма а хир яц — цамгар а, дӀа ца доьрзу лазарш а бен.</verse>
				<verse number="12">ЛадогӀа! Дуккха а халкъийн гӀовгӀа ю! Ловзабаьллачу хӀордо санна, гӀовгӀа йо цара. Къаьмнийн угӀар ду! Сиха догӀучу доккхачу хин гӀовгӀа санна, ду церан угӀар.</verse>
				<verse number="13">ГӀергӀаш догӀу доккха хи санна, угӀуш ду халкъаш. Дала човхийча, и къаьмнаш генна дӀадовду. Мохо лаьмнаш тӀехула идо екъа буц санна, йилбазмохо идо чан санна, лаьхкина лела уьш.</verse>
				<verse number="14">Суьйре тӀееача, кхерам хӀутту, амма Ӏуьйре тӀекхачале мостагӀий дӀабевлла бу. Иштта хир ду вайх хӀонс оьцучарна, и кхаж бер бу вайна талор дечарна.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="18">
				<verse number="1">Сагалматийн тӀемийн гӀовгӀанах дуьзна долчу а, Хуша-махкарчу хишна дехьа долчу а лаьттан къа ду.</verse>
				<verse number="2">Нил-хина тӀехула шайн векалш бохуьйту цу лаьтта тӀера, ткъа уьш эрзах динчу хинкеманаш тӀехь хишна тӀехула лела. ТӀах-аьлла векалш, дӀадуьйлало! Лекхачу а, шера чкъор долчу а халкъана тӀе гӀо! Оцу къомах массанхьа а кхоьруш бу. Къизачу цу халкъо шен мостагӀий хьоьшу. Цуьнан мохк хиша цистина бу.</verse>
				<verse number="3">Шу дерриш а, дуьнен чохь дехаш дерш! Хьовсалаш, лам тӀехь байракх дӀатоьхча, ладогӀалаш, лоькхучу коьман маӀан аз хезча.</verse>
				<verse number="4">Везачу Эло аьлла соьга: «Меттах а ца волуш, Со хьоьжу Сайн хӀусамера, малх кхеттачу дийнахь лаьтта йовхо санна, ялта чудерзочу йовхачу хенахь тхин марха санна.</verse>
				<verse number="5">Кемсаш лахьо хан тӀекхачале, церан заза а доьжна, стом кхиа болабелча, Везачу Эло уьрсаца ца оьшу гаьннаш дӀа а хедийна, дӀакхуьссур ду, маргӀалш а хедор ду.</verse>
				<verse number="6">Лаьмнаш тӀера дерачу олхазаршна а, аренашкара акхарошна а дуьтур ду дерриг а. Олхазарш аьхкенан заманахь хир ду цигахь, ткъа аренан акхароша Ӏа доккхур ду цу меттехь».</verse>
				<verse number="7">Цу хенахь массо а ницкъийн Везачу Элана лерина сагӀа доккхур ду лекхачу а, шера чкъор долчу а халкъо. Оцу къомах массанхьа а кхоьруш бу. Къизачу цу халкъо шен мостагӀий хьоьшу. Цуьнан мохк хиша цистина бу. Цийон-лома тӀехь, массо а ницкъийн Везачу Элан меттехь, дохур ду и сагӀанаш.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="19">
				<verse number="1">ХӀара бу Мисарх лаьцна болу хаам. Хьажал, чехкачу мархи тӀехь Мисара хохку Везачу Эло. Цунна хьалха мисархойн цӀуш, кхерабелла, бегабо, мисархойн майралла а, ешна, дӀайолу.</verse>
				<verse number="2">«Аса мисархой мисархошна дуьхьал карзахбохур бу, тӀаккха ваша веших а, доттагӀа доттагӀчух а, гӀала гӀаланах а, пачхьалкх пачхьалкхах а летар ю.</verse>
				<verse number="3">Мисархой доьналлех боьхна хир бу, церан ойланаш а йохор ю Ас. Уьш шайн цӀуйх а, беллачийн синойх а дагабуьйлур бу. Беллачийн синош тӀедоьхуш болчарна а, жинашца тайначарна а тӀегӀур бу уьш.</verse>
				<verse number="4">Мисархой къизачу куьйгалхочун кара лур бу Ас. Дера паччахь хир ву царна тӀехь олалла деш», — боху массо а ницкъийн Везачу Эло.</verse>
				<verse number="5">Нил-хи а жимлур ду, арахула догӀу хи а, лакъа а лекъна, дӀадер ду.</verse>
				<verse number="6">Хин татолех вон хьожа йогӀур ю. Мисар-махкара хин гаьннаш, жим а делла, лекъар ду. Эрзаш маргӀалдулур ду.</verse>
				<verse number="7">Нил-хин бердашна тӀехь йолу ораматаш а, цигахь дӀа мел дийна ялта а дакъалур ду. Мохо дӀаса а даржийна, уьш кхин хир дац.</verse>
				<verse number="8">Нил-хи чу мӀара тосуш болчу чӀерийлецархоша узарш дийр ду, уьш боьлхуш хир бу. Хи чу бойнаш тосуш берш дог дешна хир бу.</verse>
				<verse number="9">Ветанах хӀуманаш йийраш дог доьхна хир бу. КӀади дуцурш гӀайгӀане хир бу.</verse>
				<verse number="10">КӀадидархой боьхна хир бу, тӀелаьцна белхалой гӀаддайна хир бу.</verse>
				<verse number="11">ЦоӀан-гӀалара баьччанаш хьерабевлла. ПирӀунан хьекъалечу хьехамчаша сонта хьехамаш бо. Аша муха эр ду пирӀуне: «Со хьекъалечу стеган а, ширачу паччахьийн а кӀант ву»?</verse>
				<verse number="12">Ва мисархойн паччахь, хьан хьекъалчаш хӀинца мичахь бу те? Массо а ницкъийн Везачу Эло Мисаран къомана дан леринарг хӀун ду цаьрга дийцийта а, массо а нахана хьалха довзийта а!</verse>
				<verse number="13">ЦоӀан-гӀалара баьччанаш хьерабевлла, Нуп-гӀалара баьччанаш Ӏехабелла, иштта тайпанийн тхьамданаша Мисар шен новкъах тилийна, уьш сонехь болу чӀогӀа тӀулг санна хила безнехь а.</verse>
				<verse number="14">Везачу Эло оцу куьйгалхойн синош галдаьхна, ткъа цундела цара берриг а мохк харц новкъа баьккхина массо а хӀуманна тӀехь. Вехна стаг шен Ӏеттораш тӀехула ма-леллара, лелаш бу мисархой.</verse>
				<verse number="15">Мисар-махкахь цхьаьнгге а хӀума далур дац шен къомана — коьрте а, я цӀогане а, лекхачу гаьнне а, я лохачу эрзе а.</verse>
				<verse number="16">Цу дийнахь мисархой, зударий санна, кхерабелла хир бу. Массо а ницкъийн Везачу Эло шайна дуьхьал айинчу куьйгах кхоьруш, бегош хир бу уьш.</verse>
				<verse number="17">ЯхӀуд-мохк хьахор къемат хир ду мисархошна. И мохк шайна цхьаммо дагабаийтича, мисархой Ӏадийна хир бу, массо а ницкъийн Везачу Эло шайна дуьхьал дан леринчух а кхоьруш.</verse>
				<verse number="18">Цу дийнахь Мисар-махкара пхеа гӀалахь канаӀанхойн мотт а буьйцур бу, массо а ницкъийн Везачу Элан долахь хила чӀагӀо а йийр ю. Цхьана гӀаланах «Маьлхан гӀала» эр ду.</verse>
				<verse number="19">Цу дийнахь Везачу Элана лерина сагӀа доккху кхерч хӀоттор бу Мисар-махкана юккъехь, ткъа дозанехь Везачу Элана лерина тӀулг хӀоттор бу.</verse>
				<verse number="20">И хӀуманаш массо а ницкъийн Веза Эла Мисар-махкахь хиларан билгало а, тоьшалла а хилла дӀахӀуттур ю. Мисархоша, шайна мостагӀаша ницкъ беш хиларна, Везачу Эле орца даьккхича, Цо паргӀатбохур бу уьш, царна тӀе уьш кӀелхьарбохург а, гӀодоккхург а вахийтина.</verse>
				<verse number="21">Везачу Эло Ша вовзуьйтур ву мисархошна, ткъа цу дийнахь мисархоша Иза шайн Дела хилар къобал а дийр ду, Цунна, дийнатан а, кӀен а сагӀанаш а дохуш, Ӏибадат а дийр ду. Везачу Элана нигаташ а дина, уьш кхочуш а дийр ду цара.</verse>
				<verse number="22">Везачу Эло мисархошна таӀзар дийр ду. ТаӀзар а дина, юха мисархой тобийр бу Цо. Уьш Везачу Элана тӀебоьрзур бу. Церан доӀанаш а хезна, царна дарба дийр ду Цо.</verse>
				<verse number="23">Цу дийнахь Мисарара Ашур-махка боьду боккха некъ хир бу. Ашурхой Мисара богӀур бу, мисархой Ашур-махка гӀур бу. Мисархой ашурхошца цхьаьна Везачу Элана Ӏамал еш хир бу.</verse>
				<verse number="24">Цу дийнахь Мисаран а, Ашуран а къоман даржехь Исраилан къам а хир ду. Уьш декъалдар хир ду дерриге а дуьненна.</verse>
				<verse number="25">Уьш декъал а деш, массо а ницкъийн Везачу Эло эр ду: «Декъалдина ду Сан халкъ долу Мисаран къам, Аса кхоьллина долу Ашуран къам, леррина Сан долахь дерг долу Исраилан къам».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="20">
				<verse number="1">Ашур-мехкан паччахьо Саргуна ваийтина волу тӀеман коьрта хьаькам Ашдод-гӀалина тӀе а летта, иза схьаяьккхинчу шарахь хӀара хилира.</verse>
				<verse number="2">Оцу хенахь Амосан кӀантана ЕшаӀ-ЯхӀуна Везачу Эло тӀедиллира билгалонна цхьа хӀума дар. Цо элира: «Ваха а гӀой, хьайн гӀодаюкъ а ястий, хьайна тӀера сингаттаман барзакъ а схьадаккха, когара мачаш а охьакхисса». Вукхо иштта дан а дира: иза верзина а, когаш Ӏуьйра а лелара.</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха элира Везачу Эло: «Сан ялхо ЕшаӀ-ЯхӀу кхаа шарахь верзина а, когаш Ӏуьйра а лийлира, иза Мисар-махкана а, Хуша-махкана а хиндолчунна билгало яра.</verse>
				<verse number="4">Ашур-мехкан паччахьо, Мисар-мохк а, Хуша-мохк а схьа а баьккхина, цигара къона а, къена а йийсархой дӀабуьгур бу. Берзина а, когаш Ӏуьйра а хир бу уьш, ур-атталла церан вареш ерзина хир ю, Мисарна эхь хетийтархьама.</verse>
				<verse number="5">Хуших дегайовхо хилларш а, Мисарах дозалла динарш а кхоьруш а хир бу, юьхьӀаьржа а хӀуьттур бу.</verse>
				<verse number="6">Цу дийнахь хӀордан кху йистехь бехаш болчу бахархоша эр ду: „Вайн шайх дегайовхо хилла а, Ашур-мехкан паччахьах кӀелхьардовла гӀо дехна а болчарна хӀун хилла хьажал! Вай муха девр дара кӀелхьар?“»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="21">
				<verse number="1">ХӀара бу доккхачу хин йистехь йолчу яьссачу аренах болу хаам. Къилберачу аренгахь хьоькху йилбазмехаш санна, чугӀерташ бу яьссачу арара, кхерам тосуш болчу махкара.</verse>
				<verse number="2">Буьрса сурт ду суна гайтинарг: ямартхо ямартло еш ву, талорхо талор деш ву. Ӏейлам, тӀамца тӀегӀо цунна! Мадай, цунна го бе! Везачу Эло узарш дӀасацор ду.</verse>
				<verse number="3">Оцу балхо Ӏадийначу сан дегӀан меженаш егош ю, беро хьийзочу зудчун санна, лазарш ду сан. Сайна хезаш долчо синтем байина сан, гуш долчо вохийна со.</verse>
				<verse number="4">Сан дог холчохь ду, кхерамна со вегош ву. Суна езначу маьркӀаженах къемат хилла суна.</verse>
				<verse number="5">Той кечдеш, охьаховша кузаш даржош — дууш а, молуш а бу нах. «ХьалагӀовтта, хьаькамаш, турсаш тӀе силам хьакха!»</verse>
				<verse number="6">ХӀунда аьлча Хьалдолчу Эло иштта аьлла соьга: «Ваха а гӀой, хехо хӀоттаве. Шена гуш дерг схьадийцийта цуьнга.</verse>
				<verse number="7">Говрашна а, варрашна а, эмкалшна а тӀехь, шишша цхьаьна улло а хӀиттина, богӀу дошлой шена гича, цуьнга леррина ладогӀийта а, чӀогӀа тидам байта а».</verse>
				<verse number="8">Хехочо мохь хьаькхира: «Сан олахо! БӀаьвнехь лаьтташ ву со де дийне мел дели, иштта хӀора буса а ха деш ву со.</verse>
				<verse number="9">Шишша цхьаьна хӀиттина богӀуш дошлой а, схьабогӀуш нах а бу». Цул тӀаьхьа цо элира: «Бавел-гӀала йоьжна ю, иза эшийна ма ю! Цуьнан деланийн дерриге а дина суьрташ лаьттахь дохийна Ӏохкуш ду».</verse>
				<verse number="10">Эринчу ялтех тера долу сан халкъ! Берриге а ницкъийн Везачу Элера, Исраилан Делера, сайна хезнарг шуьга дӀакхайкхийна ас.</verse>
				<verse number="11">ХӀара бу тийналлин махках болу хаам. СеӀир-мехкашкара схьа мохь бетта соьга: «Хехо! Буьйсанан мел хан йисина? Хехо! Буьйсанан мел хан йисина?»</verse>
				<verse number="12">Хехочо жоп ло: «Ӏуьйре ю тӀейогӀуш, амма иштта буьйса а ю. Нагахь шайна лаахь, кхин цкъа схьа а дуьйлий, соьга хатта».</verse>
				<verse number="13">ХӀара бу Ӏаьрби-махках болу хаам. Дадданхойн къепалш, Ӏаьрби-махкарчу боьлакашкахь буьйса яккха дезар ду аша.</verse>
				<verse number="14">Тейма-махкара бахархой! Хьогах болчарна дуьхьал хи хьо, шайн махкара бевдда богӀучу нахана баьпкаца дуьхьалдовла,</verse>
				<verse number="15">хӀунда аьлча уьш даьхначу таррех а, озийначу Ӏедех а, тӀеман къизаллех а бевдда боьлху.</verse>
				<verse number="16">Хьалдолчу Эло элира соьга: «ТӀелаьцна болх баран шераш юкъа а лоцуш, цхьа шо далале, Къедаран тайпанан сийлалла ерриг а чекхъяьлла хир ю.</verse>
				<verse number="17">Къедархойн майра тӀемалой болчу Ӏадкхуссурхойх кӀеззиг берш бен дийна буьсур бац», — боху Исраилан Дела волчу Везачу Эло.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="22">
				<verse number="1">ХӀара бу хӀоттийначу суьртан тогӀих болу хаам. Шун бахархошна хӀун хилла, уьш берриш а тхевнаш тӀе хьала хӀунда бевлла,</verse>
				<verse number="2">гӀовгӀане, синтем боцу, йоккхаеш йолу гӀала? Хьан хӀаллакьхилларш туьро а ца байина, тӀамехь а ца белла.</verse>
				<verse number="3">Берриге а хьан тхьамданаш цхьаьна бевдира, амма уьш, Ӏад а ца кхуссуш, лийцира. Уьш берриш а йийсаре кхаьчна, мел гена бевдда хиллехь а.</verse>
				<verse number="4">Цундела боху ас: «Вита со, со доггах воьлхур ву. Ма гӀерта сан догъэца, сан хьоме халкъ дакъазадаккхар бахьана долуш».</verse>
				<verse number="5">ХӀоттийначу суьртан тогӀи чохь массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло цхьа де билгалдаьккхира. Оцу дийнахь нах карзахбаьхна хир бу, вовшийн хьоьшуш хир бу, уьш дарбелла хир бу. Наха гӀалин пенаш кегдийр ду, цара хьоькху маьхьарий лаьмнашкахь хезаш хир ду.</verse>
				<verse number="6">Шайн гӀудалкхашца а, дошлошца а Ӏейлам-махкара тӀемалой тӀебогӀу, тӀом бан Ӏад-беттанаш а яхьаш. Кхир-махкарчу тӀемалоша турсаш кечдина.</verse>
				<verse number="7">Хьан тоьлла йолу тогӀеш гӀудалкхех юьзна а ю, кевнна дуьхьал лаьтташ дошлой а бу.</verse>
				<verse number="8">ТӀаккха Везачу Эло ЯхӀудан къомера лардар дӀадаьккхира. Оцу дийнахь шу хьоьжуш дара Ливанун-мехкан хьун цӀе йолчу паччахьан цӀа чохь Ӏалашдеш долчу герзашка.</verse>
				<verse number="9">Шуна гира Даудан гӀалин пенашна даьхна Ӏуьргаш. Лахарчу Ӏома чохь хи гулдеш дара шу.</verse>
				<verse number="10">Ярушалаймерчу цӀеношка а хьаьжна, шаьш къастийна цӀенош дохийра аша, гӀалин пенаш чӀагӀдархьама.</verse>
				<verse number="11">Ширачу Ӏома чуьра хи, схьа а эцна, Ӏалашдархьама, шина пена юккъехь меттиг кечйира аша. Амма и дерриге а Хилийтинчуьнга шу ца хьоьжура, дуккха а хьалха и гӀуллакхаш кхочушдан Къастийначун тидам ца бора аша.</verse>
				<verse number="12">Массо а ницкъийн Везачу Эло цу дийнахь делха а, латкъам бе а, месаш дӀахедае а, шайна тӀе сингаттаман барзакъ духа а бохура шуьга.</verse>
				<verse number="13">Амма шу самукъадаьлла а, даккхийдеш а дара! Шу, стерчий а, уьстагӀий а дойуш, жижиг дууш а, чагӀар молуш а дара. «Юушший, молушший Ӏей вай, кхана вай лийр долу дела» — бохура аша.</verse>
				<verse number="14">Массо а ницкъийн Везачу Эло аьлларг сайн лергашца хезира суна. «ХӀокху къинна гечдийр дац шуна, шаьш делла дӀадовллалц», — чӀагӀо йира массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло.</verse>
				<verse number="15">Иштта боху массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло: «Ваха а гӀой, паччахьан цӀийнан хьаькаме Шибне дӀаала:</verse>
				<verse number="16">„Хьан кхузахь хӀун ду я мила ву, кхузахь ахь хьайна къубба яьккхина хила? Хьажал, цо шена лекхачу меттехь къубба яьккхина, тархах шена садаӀаран цӀа аьгна!</verse>
				<verse number="17">ЛадогӀа, хьайх майраниг аьлла цӀе йоккхург, Везачу Эло хьо дӀакхуссур ма ву! Хьо чӀогӀа схьалоцур ву Цо.</verse>
				<verse number="18">Хьарчийна, хьох ларча а йина, Цо доккхачу лаьтта тӀе кхуссур ву хьо. Цигахь хьо лийр ву, хьан исбаьхьа гӀудалкхаш а хир ю. Хьан олахочун цӀенна хьо эхье хӀума ма ю!</verse>
				<verse number="19">Аса, хьайн меттера дӀа а ваьккхина, даржах вохор ву хьо“.</verse>
				<verse number="20">Оцу дийнахь Хьалкхи-ЯхӀун кӀант, Сайн лай волу Элъякъим тӀекхойкхур ву Ас.</verse>
				<verse number="21">Хьан духар цунна тӀе а дуьйхина, хьан доьхка цунна юкъах а дихкина, хьан дарж цунна дӀалур ду Ас. Ярушалайман бахархошна а, ЯхӀудан тӀаьхьенна а да хир ву иза тӀаккха.</verse>
				<verse number="22">Даудан тӀаьхьенах волчу паччахьан цӀийнан догӀа цуьнан кара лур ду Ас. Цо неӀ дӀаястахь, цхьаьнгге а иза дӀакъовлалур яц. Цо неӀ дӀакъовлахь, цхьаьнгге а иза дӀаясталур яц.</verse>
				<verse number="23">Ондачу метте тоьхна хьостам санна, чӀагӀвийр ву Ас иза. Шен ден цӀийнан сий ойур ду цо.</verse>
				<verse number="24">Цунна тӀехь кхозуш хир ду цуьнан ден цӀийнан дозалла, цуьнан бераш а, церан бераш а цу чу а догӀуш. Цуьнан хьостамна тӀехь массо а пхьегӀа кхозуш хир ю — боганашна тӀера кхабанашна тӀекхаччалц.</verse>
				<verse number="25">Цу хенахь, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло, — ондачу меттехь болу хьостам, меттах а баьлла, охьабужур бу. Цу тӀехь кхозуш дерг, доьхна, дӀадер ду». Иштта боху Везачу Эло.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="23">
				<verse number="1">ХӀара бу Цора-гӀаланах болу хаам. Белха, Таршаш-махкара богӀу кемалелорхой, Цора-гӀала йохийна йолу дела. Цуьнан цӀенош а, хӀордкеманаш тӀедогӀийла а кхин дац. Иштта хаам кхаьчна цаьрга Хитам-махкара.</verse>
				<verse number="2">ГӀайгӀане хила, хӀордан йистера бахархой! ХӀорда тӀехула лелаш болчу ЦӀадан-гӀалара совдегарша шу хьаладузура.</verse>
				<verse number="3">Шихьор-хин уллора кӀа а, Нил-хин уллора ялта а дукхачу хишна тӀехула цу гӀали чу дахьара, са яккхархьама. Цу гӀаланах къаьмнашна йохкаэцаран базар хилира.</verse>
				<verse number="4">Эхь хета, ЦӀадан-гӀала, хӀунда аьлча хӀордо — хӀордан чӀагӀоно — боху: «Бер деш лазарш а ца хилла сан, я бер а ца дина ас, кӀентий а, йоӀарий а ца кхиийна ас».</verse>
				<verse number="5">Мисархошка хабар дӀакхаьчча, Цора-гӀаланах дерг а хезна, холчу хӀуьттур бу уьш.</verse>
				<verse number="6">Таршаш-махка дӀакхалха! ХӀордан йистехь бехаш берш, белха!</verse>
				<verse number="7">Ширачу заманахь дуьйна лаьтташ йолу, хӀетахь йоккхаеш йолу шун гӀала хӀара юй? Генарчу мехкашкахь Ӏархьама, цу гӀалара нах хьалха лелаш хилла.</verse>
				<verse number="8">Шен совдегарш элий хиллачу, таьжнаш дӀасадоькъуш хиллачу, мах лелош берш дуьненахь а бевзаш хиллачу Цора-гӀалина хьанна дагадеана иза?</verse>
				<verse number="9">Массо а ницкъийн Везачу Элана дагадеана, сийлаллин деза деттар дохорхьама а, дуьнен чохь цӀеяхана берш кӀезиг хетийтархьама а.</verse>
				<verse number="10">Нил-хи санна, паргӀат лела шайн лаьттахула, Таршаш-мехкан бахархой, кхин новкъарло яц шуна.</verse>
				<verse number="11">Шен куьг хӀорда тӀехула а лаьцна, пачхьалкхаш егийна Цо. КанаӀан-мехкан гӀепаш йохае аьлла, омра дина Везачу Эло.</verse>
				<verse number="12">Цо аьлла: «Хьо кхин йоккхайийр яц, сийсазъяьккхина йоӀстаг санна йолу ЦӀадан-гӀала! Хьала а гӀовттий, Хитам-махка гӀо, гӀалин бахархой! Амма цигахь а синтем хир бац шуна».</verse>
				<verse number="13">Дагадаийта хашадхойн махках хилларг. Хашадхойн къам кхин дац. Церан махках ашурхоша яьссачу аренан дийнаташ Ӏаш йолу меттиг йинера. Ашурхоша, цигахь тӀеман бӀаьвнаш дӀа а хӀиттийна, мехкан гӀепаш йоха а йина, царах харцораш йинера.</verse>
				<verse number="14">Белха, Таршаш-мехкан кемалелорхой! Шун гӀап йохийна.</verse>
				<verse number="15">Хан тӀекхочур ю, Цора-гӀала кхузткъе итт шарна — цхьана паччахьан оьмаран ханна — йицлур йолу. Ткъа кхузткъе итт шо чекхдаьлча, Цора-гӀалина эшарехь дуьйцучу кхахьпанна хилларг хир ду:</verse>
				<verse number="16">«Хьайн мерз-пондар схьа а эций, гӀалахула долало, дицделла кхахьпа! Эшарш дика лакха, хьо дагаяийта».</verse>
				<verse number="17">Кхузткъе итт шо даьлча, Везачу Эло Цора-гӀала, таӀзар динчул тӀаьхьа паргӀатйоккхур ю. И гӀала, юха а мах а беш, пайда оьцуш хир ю, дерриге а дуьнен чохь массо а пачхьалкхашца хир ю цуьнан хьарам уьйраш.</verse>
				<verse number="18">Везачу Элана дӀакъастийна хир бу цо лелош болу мах а, беш болу пайда а. ДӀа а къевлина, Ӏалашдеш хир дац гулдинарг, хӀунда аьлча Везачу Элана уллохь Ӏаш болчу нахана кхочур ду иза, цаьрга дуззалц хӀума яийтархьама а, дика бедар тӀейохийтархьама а.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="24">
				<verse number="1">Веза Эла дерриге а латта, дакъаза а даьккхина, дассо воллуш ву. Лаьттан юьхь хьийза а хьийзина, цу тӀера бахархой дӀасабаржор бу Цо.</verse>
				<verse number="2">Халкъана хиндерг динан дена а хир ду, ялхочунна хиндерг цуьнан хӀусамдена а хир ду, зуда-ялхочунна хиндерг цуьнан хӀусамнанна а хир ду, оьцучунна хиндерг юхкучунна а хир ду, духалург доьхучунна хиндерг духалург лочунна а хир ду, ял лочунна хиндерг ял йоккхучунна а хир ду.</verse>
				<verse number="3">Латта дассийна а, чӀана даьккхина а хир ду, хӀунда аьлча Везачу Эло хӀара дош аьлла.</verse>
				<verse number="4">Латта латкъам беш а, лекъаш а ду. Дерриге а дуьне гӀеллуш а, маргӀалдулуш а ду. Лаьттан халкъан лекханаш а гӀеллуш бу.</verse>
				<verse number="5">Латта шен бахархоша бехдина лаьтта, хӀунда аьлча товрат-хьехамаш цара лар ца бора, Делан парзийн тидам ца бора, ткъа гуттаренна а бина барт цара бохабора.</verse>
				<verse number="6">Цу бахьанина латта неӀалто дӀакхоллу, ткъа цунна тӀехь Ӏаш болчара шайн къиношна доггӀург дӀакхоьхьу. Цу бахьанина лаьтта тӀера бахархой морцуш бу, цхьа кӀезиг бен ца буьтуш.</verse>
				<verse number="7">Къона чагӀар латкъам беш ду, ткъа кемсийн таьллангаш маргӀалъюлуш ю. Хьалха самукъане хилларш хӀинца гӀайгӀане бу.</verse>
				<verse number="8">Вотанашца самукъадаккхар а дӀадаьлла, самукъадолучийн гӀовгӀа а сецна, пондарийн аьзнаш а дӀатийна.</verse>
				<verse number="9">Эшарш а лоькхуш, наха кхин чагӀар ца молу. Молучийн ниха а къаьхьа ду.</verse>
				<verse number="10">Яссаелла гӀала йохийна ю, цӀенош саьлнаша дӀакъевлина ду, чуваха аьтто боцуш.</verse>
				<verse number="11">ЧагӀар ца хиларна, маьхьарий детташ бу урамашкахь нах, муьлхха а хазахетар кхоьлина ду, муьлхха а самукъадалар лаьтта тӀера дӀаэккхийна.</verse>
				<verse number="12">ГӀала яссаелла ю, гӀалин ков а доьхна Ӏуьллуш ду.</verse>
				<verse number="13">Массанхьа а дуьненахь, дерриге а къаьмнашна юкъахь иштта хир ду. ТӀаьххьара стоьмаш зайт-диттан тӀера эгорхьама, дитташ тӀе гӀожмаш тохар санна хир ду. Кемсаш схьалахьийча, цхьайолу кемсаш бен ца йисча санна хир ду.</verse>
				<verse number="14">Синкъерамца шайн аз ойур ду бисначара, малхбузера Везачу Элан возаллех мохь тухур бу цара.</verse>
				<verse number="15">Хаставе Веза Эла малхбалехь, хӀордан йистехь долчу латтанаш тӀехь хастае Везачу Элан, Исраилан Делан, цӀе.</verse>
				<verse number="16">Дуьненан йистера эшарш хеза вайна: «Хастам бу нийсо лелош Волчунна!» Амма аса элира: «Дог доьхна ву со! Эшийна лаьтта со! Къа ду сан! Ямартхой кхидӀа Ӏехабеш бу. Шайн мекарлонца уьш ямартло еш бу».</verse>
				<verse number="17">Ӏадор а, ор а, гур а бу хьуна, лаьтта тӀера вахархо!</verse>
				<verse number="18">Ӏадоран маьхьарх веддарг ор чу эккхар ву, ткъа ор чуьра хьалаваьлларг гуро лоцур ву. Стигалара, неӀарш дӀа а йиллина, Ӏовраш чухоьцур ю, лаьттан бух бегалур бу.</verse>
				<verse number="19">Латта декъалуш ду, латта аталуш ду, иза чӀогӀа дегош ду.</verse>
				<verse number="20">Вехна стаг санна, лесташ ду латта, ага санна, техкаш ду иза. Цуьнан аьрхалла, беза мохь санна, ю цунна тӀехь тоттуш. Цкъа охьадоьжна долу иза кхин гӀоттур дац.</verse>
				<verse number="21">Цу дийнахь Везачу Эло жоьпе озор бу лакхахь болу Шена дуьхьалбевлла стигалара ницкъаш а, лахахь болу лаьттара паччахьаш а.</verse>
				<verse number="22">Цхьаьна а тоьхна, тутмакхаш санна, ор чу боьхкина а, набахти чу боьхкина а хир бу уьш. Дуккха а денош дӀадевлча, таӀзар дийр ду царна.</verse>
				<verse number="23">Бутт а цӀийлур бу, малхана а эхь хетар ду, хӀунда аьлча Везачу Эло Ярушалайм-гӀалахь болчу Цийон-лома тӀера паччахьалла дийр ду. Цуьнан сийлаллин нур баккхийчарна хьалха лепаш хир ду.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="25">
				<verse number="1">Веза Эла! Хьо сан Дела ву. Аса вазвийр ву Хьо, Хьан цӀе хастайийр ю, Ахьа тамашийна гӀуллакхаш дина дела. Тоххара дуьйна Ахьа бина сацамаш, Ахьа ма-аллара, иштта кхочушбира.</verse>
				<verse number="2">Ахьа гӀаланах тӀулгийн оьла йина, чӀагӀйинчу гӀаланах саьлнаш йина, хийрачу къоман гӀопах гӀала йоцург йина. И гӀала цкъа а юхаметтахӀоттийна хир яц.</verse>
				<verse number="3">Цундела нуьцкъалчу халкъо Хьо лорур ву, буьрсачу къаьмнийн гӀала Хьох кхоьрур ю.</verse>
				<verse number="4">Мискачунна Хьо волчохь дӀалечкъийла хилла, холчохь волчу гӀийлачунна Хьо кӀелхьарвала меттиг хилла. Мох хьоькхучу хенахь Хьо бун санна хилла, йовхо еанчу хенахь Хьо ӀиндагӀ санна хилла, хӀунда аьлча буьрсачу нехан садеӀар пенна дуьхьал хьоькхучу махах тера ду, хи доцучу меттехь йолчу йовхонах тера ду.</verse>
				<verse number="5">Хийрачу нехан чуьрабийлар сацийна Ахьа. Мархин ӀиндагӀо йовхо дӀаяккхар санна, буьрсачу нехан баккхийбер дӀадаьккхина Ахьа.</verse>
				<verse number="6">Массо а ницкъийн Везачу Эло Цийон-лам тӀехь массо а халкъан той хӀоттор ду. Цу тойнехь жижиг а, чагӀар а хир ду. Жижиг токхе хир ду, ткъа чагӀар шира а, цӀена а хир ду.</verse>
				<verse number="7">Дерриге а халкъашна тӀетесна йолу шаршу а, массо а къаьмнаш дӀахьулдина долу кирхьа а дохийна дӀадоккхур ду Цо цу лам тӀехь.</verse>
				<verse number="8">Ӏожалла гуттаренна а дӀакхоллур ю Цо. Хьалдолчу Эло массеран а яххьаш тӀера бӀаьрхиш дӀадохур ду. Дерриге а дуьнен тӀехь Шен халкъ емалдар дӀадоккхур ду Цо. Иштта боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="9">Цу дийнахь эр ду: «ХӀара ву вайн Дела! Цунах яра вайн дегайовхо, Цо вай кӀелхьардехи! Иза Веза Эла ву. Цунах яра вайн дегайовхо, хазахетарца даккхийдер вай Цо кӀелхьардахарна!»</verse>
				<verse number="10">Везачу Элан куьг Цийон-лома тӀехь ду, амма Муабин къам ша Ӏаш долчу меттехь хьоьшур ду, кхеллин ор чохь ча хьашар санна.</verse>
				<verse number="11">Нека дечо санна, цо куьйгаш тийсахь а, Дала цуьнан дозалла дар лахдийр ду цуьнан куьйгийн мекараллица цхьаьна.</verse>
				<verse number="12">Цуьнан лекхачу пенийн чӀагӀо лаьтта а йожийна, чена юккъе охьайожор ю Везачу Эло.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="26">
				<verse number="1">Цу дийнахь ЯхӀуд-махкахь йиш локхур ю: «Тхан гӀала чӀогӀа ю. Гонах долу пенаш санна а, арахула йолу чӀагӀонаш санна а, Везачу Эло тхуна кӀелхьардовлар ло.</verse>
				<verse number="2">ДӀаделла кевнаш, Везачу Элан лаамехь долу, Далла тешаме долу халкъ чудаийта.</verse>
				<verse number="3">Шен дагахь дерг чӀагӀдийриг Ахь буьззинчу синтемехь ларвийр ву, хӀунда аьлча иза Хьох тешна Ӏаш ву.</verse>
				<verse number="4">Массо а хенахь Везачу Элах тешна Ӏаш хила, веккъа Веза Эла гуттаренна а йолу тарх санна волу дела.</verse>
				<verse number="5">Лакхахь Ӏаш берш Цо лахбира, лакхахь йолу гӀала Цо лахйира. Лаьтта тӀекхаччалц иза йохийра, ченала Цо и гӀала йожийтира.</verse>
				<verse number="6">ГӀело хьегначийн гӀулчаша а, мискачу нехан когаша а хьоьшуш ю и гӀала.</verse>
				<verse number="7">Хьан лаамехь волчун некъ нийса бу, Веза Эла, Ахьа нисдо цуьнан некъан тача.</verse>
				<verse number="8">Ахь тӀедехкинаршца а лелаш, Веза Эла, Хьоьга хьоьжу тхо. Хьан цӀе дагахь латто а, Хьо хьехо а бен тхан лаам бац.</verse>
				<verse number="9">Сан са буьйсанна Хьо волчу гӀерта, ткъа Ӏуьйранна даго сан кийрахь Хьо лоьху. Хьан кхел лаьтта тӀехь кхочушхилча, дуьнен тӀехь бехачарна нийсо Ӏема.</verse>
				<verse number="10">Ӏесачу стагах къинхетам бича, цунна нийсо Ӏемар яц. Везачу Элан возалле ца хьожуш, Делан лаамехь болчеран лаьтта тӀехь зуламаш лелор ду цо.</verse>
				<verse number="11">Хьан куьг лаккха хьалаайина ду, Ӏесачу нахана таӀзар дархьама, Веза Эла, амма царна иза ца го. Хьайн халкъе болу кӀорга безам гайтахьа, цунна эхь хетийтархьама. Хьайн мостагӀашна леринчу цӀеро берриш а дӀакхоллийла Ӏесанаш!</verse>
				<verse number="12">Веза Эла! Ахьа синтем дӀахӀоттабо тхуна. Оха мел динарг Ахь тхуна кхочуш ма дина.</verse>
				<verse number="13">Тхан Веза Дела! Хьо воцург, кхин олахой а хилла тхуна тӀехь куьйгалла деш, амма Хьан цӀерана бен оха хастам ца бо.</verse>
				<verse number="14">И белла олахой денлур бац, церан синош гӀовттур дац. Царна таӀзар а дина, Ахь уьш хӀаллакбина. Царах йолу эсс Ахь ерриг а йохийна.</verse>
				<verse number="15">Ахьа халкъ дебийна, Веза Эла. Халкъ а дебийна, Хьайн сий айина Ахьа, лаьттан дозанаш шордина.</verse>
				<verse number="16">Веза Эла! Халачу муьрехь Хьан халкъо Хьо лоьхура, Хьан таӀзар ша ловш тийна доӀанаш дора цо.</verse>
				<verse number="17">Берах йолчу зудчо, бер хуьлу хан тӀе а кхаьчна, лазарша ша хьийзош, мохь хьоькхуш санна, дара тхо Хьуна хьалха, Веза Эла.</verse>
				<verse number="18">Берах долуш санна, бала а хьоьгуш, оха дуьнен тӀе доккхург, мох санна, даьсса хӀума ду. Лаьттана кӀелхьардалар а ца делла оха, дуьненан бахархой а ца эгийтина оха.</verse>
				<verse number="19">ХӀетте а, Хьан белларш денлур бу, Хьан халкъан декъий гӀовттур ду! Ченахь мел Ӏохкуш берш, гӀовттий, хазахетарца мохь хьекха! Ӏуьйренан Хьан тхи — иза денлуш долу тхи ду, Ахь иза лаьттахь болчу беллачарна тӀе дожадо».</verse>
				<verse number="20">ДӀагӀо, сан халкъ, хьайн хӀусамаш чу а гӀой, неӀарш дӀакъовла. Цхьана ханна къайладала, Делан оьгӀазалла дӀаяллалц.</verse>
				<verse number="21">ХӀунда аьлча Веза Эла ву Шен хӀусамера араволуш лаьтта тӀехь бехачарна таӀзар дан, церан къинош бахьаненна. Лаьтто схьадоьллур ду шена тӀехь Ӏанийна долу цӀий, кхин къайлабохур бац байина нах.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="27">
				<verse number="1">Цу дийнахь Везачу Эло Шен чӀогӀачу а, доккхачу а, нуьцкъалчу а туьраца таӀзар дийр ду Левиятан цӀе йолчу а, текхаш а, хьийзаш а болчу лаьхьанна. ХӀордан и саьрмик буьйр бу Цо.</verse>
				<verse number="2">Цу дийнахь токхечу кемсийн бешах илли ала:</verse>
				<verse number="3">«Со, Веза Эла, цуьнан хехо ву, Аса шен хеннахь хи туху цунна. Дийнахь а, буса а иза ларйо Аса, цхьаьнгге а цунна зе ца дайта.</verse>
				<verse number="4">Оцу бешана йолу дералла Соьгахь кхин яц. Амма цхьаболчара, Суна дуьхьало еш, цу бешахь баьӀаш долу коьллаш йогӀахь, Аса, тӀамца царна дуьхьал а ваьлла, цӀе тосур яра царах массарах.</verse>
				<verse number="5">Амма цхьаъ, Соьгара гӀо а эшна, Соьца барт бан вагӀахь, бе Соьца барт».</verse>
				<verse number="6">ТӀедогӀучу деношкахь Якъубан тӀаьхьено, орамато санна, орамаш арахоьцур ду, Исраилан къомо заза доккхур а ду, дерриге а латта стоьмех хьаладузур а ду.</verse>
				<verse number="7">Шен халкъана ницкъ бечарна Ша таӀзар ма-дарра, таӀзар дорий те Везачу Эло Исраилна? Иза хӀаллакдеш хилларш хӀаллакбина ма-хиллара, халкъ хӀаллакдорий те Цо?</verse>
				<verse number="8">Веза Эла, леррина а оьзна, Ахьа таӀзар дира цунна, цуьнца долу гӀуллакх къаста а дина, Ахь иза йийсаре дӀадигийтина. Малхбалера мох хьокхучу дийнахь санна, Ахь иза, Хьайн чӀогӀа хӀо а хьаькхна, дӀаэккхийна.</verse>
				<verse number="9">Якъубан тӀаьхьенан къа иштта дӀадоккхур ду, цуьнан харцонаш дӀаяхархьама иштта мах дӀабала безаш бу: сагӀа доккху меттигашкахь лелош долчу тӀулгех халкъо жагӀанаш бийр бу, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш дӀахедийна Ӏохкур ду, ткъа цӀушна хаза хьожа йогӀу хӀума яго кхерчаш, дохийна, дӀадохур ду.</verse>
				<verse number="10">ЧӀагӀйина гӀала яссалур ю, цуьнан хӀусамаш дӀатесна хир ю, яьссачу арахь санна, адамаш а доцуш. Эса дежар ду цу меттехь, циггахь садоӀуш а, гаьннаш тӀера гӀаш дууш а хир ду иза.</verse>
				<verse number="11">Ткъа и гаьннаш дакъаделча, уьш кегдийр ду. Зударша, схьа а баьхкина, дагор ду уьш. И халкъ цхьана а хӀуманах ца кхетарна, иза Диначо къинхетам бийр бац цунах, иза Кхоьллинчунна цунах къахетар дац.</verse>
				<verse number="12">Цу дийнахь Везачу Эло шу, Эпрат-хи тӀера Мисар-мехкан дозанехь долчу хи тӀе кхаччалц, кӀа санна, ирхдугӀур ду, ткъа шу, исраилхой, тӀаьхь-тӀаьхьа гулдина хир ду.</verse>
				<verse number="13">Цу дийнахь иштта хир ду: сийлахь коьман маӀа лекхча, Ашур-махкахь тилабелла лелларш а, Мисар-махка лаьхкина бигнарш а схьабогӀур бу. Ярушалаймерчу безачу лам тӀехь Везачу Элана хьалха суждана гӀур бу уьш.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="28">
				<verse number="1">Къа ду бехначу эпраймхоша дозалла дечу кочаран. Цуьнан исбаьхьа хазалла кочаран маргӀалдулуш долчу зезагех тера ю. И кочар токхечу тогӀин коьрта тӀехь ду, амма тогӀин бахархой чагӀаро бахийна Ӏохкуш бу!</verse>
				<verse number="2">Хьалдолчу Элан чӀогӀа а, онда а цхьа стаг ву. Къора яхьаш догӀу догӀа санна а, хӀаллакдеш болу мох санна а, чӀогӀа хитӀедалар санна а тӀелетар ву иза. Шен ондачу куьйгаца цо и кочар лаьтта охьакхуссур ду.</verse>
				<verse number="3">Когашца хьоьшуш хир ду бехначу эпраймхойн кураллин кочар.</verse>
				<verse number="4">Токхечу тогӀин коьрта тӀехь долу а, маргӀалдулу зезаг долу а и исбаьхьа хазалла заманал хьалха кхиинчу инжирах тера ю — хьалха гинчо, схьа а йоккхий, йоу иза.</verse>
				<verse number="5">Цу дийнахь массо а ницкъийн Веза Эла исбаьхьа кочар а, хаза таж а хилла дӀахӀуттур ву Шен халкъах бисначарна.</verse>
				<verse number="6">Цо кхелахошна нийсонца кхел яран лаам лур бу, ткъа гӀалин кевнера мостагӀий дӀалохкучарна доьналла лур ду.</verse>
				<verse number="7">ЧагӀаро галбохурш а, нихано тохкуьйтурш а ур-атталла динан дай а, пайхамарш а бу — уьш чагӀаро галбоху. ЧагӀаро уьш карзахбоху, ткъа нихано уьш тохкуьйту. Шайна суьрташ хӀиттича, уьш галбуьйлуш бу, шаьш гӀуллакх къастадича, уьш тийсалуш бу.</verse>
				<verse number="8">Массо а стоьла тӀехь Ӏеттораш ю, цхьанхьа а цӀена меттиг яц.</verse>
				<verse number="9">Цара боху: «Мила Ӏамо гӀерташ ву иза? Хьанна хьекъал луш ву иза шен хьехамца? Дакхочуьра дӀадаьхначу кегийчу берашний?</verse>
				<verse number="10">ХӀунда аьлча „весета тӀе весет ду, весета тӀе весет ду, бакъонна тӀе бакъо ю, бакъонна тӀе бакъо ю, кхузахь а жимма, цигахь а жимма“».</verse>
				<verse number="11">Делахь а, бур-бур деш долчийн балдашкахула а, хийра мотт буьйцучаьргахула а Дала цу халкъе къамел дийр ду.</verse>
				<verse number="12">Цаьрга бехира Цо: «ХӀара садаӀа меттиг ю, синтеме меттиг ю хӀара кӀадбеллачарна садаӀа!» Амма царна ладогӀа ца лиира.</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха царна Везачу Элан дешнаш хӀорш хир ду: «Весета тӀе весет ду, весета тӀе весет ду, бакъонна тӀе бакъо ю, бакъонна тӀе бакъо ю, кхузахь а жимма, цигахь а жимма». Уьш, дӀа а бахана, аркъал а кхетта, хӀаллакьхир бу, гура чу а нисбелла, дӀалоцур бу.</verse>
				<verse number="14">Везачу Элан даше ладогӀа, кхаьрдаш болу куьйгалхой, Ярушалаймера оцу халкъана тӀехь олалла деш болу.</verse>
				<verse number="15">Аша боху: «Ӏожаллица берта дахана тхо, эхартаца а барт бина оха. Детташ долу серий, хитӀедалар санна, чугӀиртича, иза тхуна тӀе кхочур дац, хӀунда аьлча оха харцонах тхайн дӀалечкъийла йина, ткъа мекарлонах тхо къайладахаран меттиг йина».</verse>
				<verse number="16">Цундела боху Хьалдолчу Эло: «Хьажал, Ас Цийон-лам тӀе тӀулг охьабуьллу. Иза зийна а, беза а тӀулг бу, ткъа иза соне буьхана дӀахӀоттийна бу. Цунах тешна Ӏаш верг ведда дӀаваха везаш вац.</verse>
				<verse number="17">Бакъдолчух юстаран тӀийраг а, нийсонах гӀишло юстаран гирс а бийр бу Аса». Харцо дӀалечкъина меттиг къора тоьхна йохор ю, ткъа шу къайладахаран меттиг хиша дӀайохур ю.</verse>
				<verse number="18">Аша Ӏожаллица а, эхартаца а бина барт бухур бу. Детташ долу серий, хитӀедалар санна, чугӀиртича, цо шу охьатухур ду.</verse>
				<verse number="19">Юх-юха цо, шу охьа а тухуш, схьалоьцур ду. ХӀора Ӏуьйранна иза шуна тӀелетар ву. Дийнахь а, буьйсанна а иза тӀелетар ву. Везачу Элан хаамах шаьш кхетташехь, шу Ӏадийна лаьттар ду.</verse>
				<verse number="20">ДӀавуьжу мотт боца хир бу — ког дӀахеца, юргӀа готта хир ду — цу юкъа хьарча.</verse>
				<verse number="21">Веза Эла гӀоттур ву, Паруцим-лам тӀехь санна, Иза оьгӀазгӀур ву, ГавӀонан тогӀи чохь санна, Цо Шен шатайпа гӀуллакх дийр ду, вай кхеташ боцуш болу Шен болх бийр бу Цо.</verse>
				<verse number="22">Шаьш кхин а чӀогӀа холчу ца хӀиттийта, кхаьрдачуьра совца дезаш ду шу. Суна хезна массо а ницкъийн Везачу Элера, хӀаллакдар дерриге а лаьттана хир ду аьлла.</verse>
				<verse number="23">Дика ладогӀалаш ас бохучуьнга, тидам белаш сан къамеле.</verse>
				<verse number="24">Гуттар а хуьлий латталелорхо охуш, хӀу тасархьама? Гуттар а хуьлий иза мекха такхош шен лаьтта тӀехь?</verse>
				<verse number="25">ХӀан-хӀа. Латта шардинчул тӀаьхьа, цо оччаман а, цицийн а хӀуш тосу. МогӀарашкахь цо кӀа дӀадоь, билгалъяьккхинчу меттехь мукх дӀабоь, ткъа дозанашкахь Ӏов дӀайоь.</verse>
				<verse number="26">И къепе Дала Ӏамайо цунна. Цо хьехам бо цу стагана.</verse>
				<verse number="27">Ша оччам оруш цунна тӀе беза гӀирс ма ца туху, ткъа цицашкахула цергаш йолу керчол ма ца хохку латталелорхочо. Оччам, гӀаж а етташ, чкъоьргех дӀакъестайо, ткъа цицашна тӀе хьокха бен ца туху.</verse>
				<verse number="28">Шех бепиг до ялта хьоьшуш ду, амма иза кхоччуш ара ца деза. Ялта ору чкъургаш лелайо цунна тӀехула, амма говрашца иза хьоьшуш дац.</verse>
				<verse number="29">Берриге а ницкъийн Везачу Элера схьа ду иза: тамашийна бу Цуьнан хьехам, сийлахь ду Цуьнан хьекъалалла!</verse>
			</chapter>
			<chapter number="29">
				<verse number="1">Везачу Эло боху: «Къа ду Ариалан, шена чохь Дауда меттамотт хӀоттийначу гӀалин! Цхьа шо вукху шаре далийта, цхьана шера чуьра деза денош даздайта.</verse>
				<verse number="2">Амма Аса гӀайгӀа йойтур ю Ариале, белхар а, латкъам а хир бу цигахь. Иза Суна сагӀа доккхучу кхерчан юкъ санна хир ю.</verse>
				<verse number="3">Хьуна гонах меттаметтанаш дӀахӀиттор ду Аса, тӀеман бӀаьвнашца хьуна го а лаьцна, схьалацаран гӀирсаш хьуна дуьхьал ирахӀиттор бу.</verse>
				<verse number="4">Хьо сийсазйина хир ю, лаьттара схьа къамел дийр ду ахьа. Хьан къамел лаьттан чена бухара схьа хезаш хир ду, гӀалартан санна, хир ду хьан аз, чена кӀелхьара шабар-шибар хир ду ахьа бохуш дерг.</verse>
				<verse number="5">Кегийра чан санна, дукха хир бу хьан мостагӀий, къизачийн бӀош дӀасакхийсина кегаш санна хир бу. ЦӀеххьана а, бӀаьрган негӀар тухучу юкъана а</verse>
				<verse number="6">массо а ницкъийн Везачу Эло стигалан къовкъарца а, лаьттан дегорца а, чӀогӀачу озаца а, дарцаца а, буьрсачу мохаца а, дерриге а дӀакхоллучу цӀерца а гӀо дийр ду хьуна.</verse>
				<verse number="7">ТӀаккха Ариална дуьхьал тӀом беш долчу къаьмнийн массо бӀош а, цунна а, цуьнан чӀагӀонашна а тӀелеташ болу мостагӀий а, цунна гӀайгӀа йойтурш а чехка, набарх а, буьйсанан гӀенах а санна, къайлабевр бу.</verse>
				<verse number="8">Меца волчунна ша хӀума юуш гӀан го, амма, самаваьлча, иза меца хуьлу, хьогах волчунна ша хи молуш гӀан го, амма, самаваьлча, иза хьогах хуьлу. Иштта хир ду Цийон-ломана дуьхьал тӀом бечу массо а къаьмнийн бӀошна».</verse>
				<verse number="9">Инзар а довла, тамаш а бе. Шаьш бӀаьрзе а де, бӀарзделла а хила. Уьш бехна бу, амма чагӀаро ца дина иза, уьш лесташ бу, амма нихано ца дина иза.</verse>
				<verse number="10">Везачу Эло шуна чӀогӀа наб яийтина. Цо дӀакъевлина шун бӀаьргаш (уьш пайхамарш бу), Цо дӀахьулдина шун кортош (уьш хиндерг гушберш бу).</verse>
				<verse number="11">Делера болу муьлхха а хаам шуна мухӀар тоьхна тептар санна хир бу. Оцу тайпанара тептар деша хуучуьнга дӀа а лой, олу: «Деша иза», амма цо жоп ло: «Ца дешало соьга, хӀунда аьлча и тептар мухӀар тоьхна ду».</verse>
				<verse number="12">Деша ца хуучуьнга дӀа а лой, олу: «Деша иза», амма цо жоп ло: «Суна деша ца хаьа».</verse>
				<verse number="13">Хьалдолчу Эло элира: «ХӀара халкъ баганца Суна тӀекхочу, маттаца Со лору цо, амма церан дегнаш Суна дукха генахь ду. Суна хьалха болу ларам адамаша Ӏамийна долу парз бен дац.</verse>
				<verse number="14">Цундела Аса кхидӀа а оцу къомана инзаре хӀуманаш дийр ду, цуьнан дуьхьа Аса Ӏаламат тамашийна гӀуллакхаш дийр ду. Церан хьекъалчийн хьекъалалла довр ду, кхетам болчийн кхетам а хир бац».</verse>
				<verse number="15">Къа ду шайн дагахь дерг Везачу Элах лачкъо гӀертачийн, цара боданехь до шайн зуламе гӀуллакхаш: «Вай хьанна го? Вай дийриг хьанна хаьа?» — бохуш.</verse>
				<verse number="16">Ма дуьхьлара ойла ю иза! Поппар а, кхийра пхьегӀа ен пхьар а цхьаъ лара мегар ду ткъа? ХӀумано ша йинчух лаьцна: «Цо ца йина со», — эр дуй? Ша кхоьллинчух лаьцна: «Иза цхьанна а хӀуманах кхеташ вац», — эр дуй хӀумано?</verse>
				<verse number="17">Кхин а жимма хан яьлча, Ливанунах беш хир яц, ткъа и беш, хьун санна, лорур яц?</verse>
				<verse number="18">Цу дийнахь къорачарна тептар тӀера дешнаш хезар ду, Ӏаьржачу боданах паргӀат а баьккхина, бӀаьрзечеран бӀаьргашна са гур ду.</verse>
				<verse number="19">Везачу Эло хазахетар лур ду шаьш кӀезиг хетачарна, мисканаш баккхийбеш хир бу Исраилан Везачу Делах,</verse>
				<verse number="20">хӀунда аьлча кхин хир вац къизаниг, кхаьрдаш берш а дӀабевр бу, зуламна тӀехӀиттинарш а хӀаллакбийр бу.</verse>
				<verse number="21">Цу наха дешнашца стаг галвоккху, гӀалин кевнехь гӀуллакх къастош волчунна кӀело йо, эрначу къамелца нийса верг дӀатотту.</verse>
				<verse number="22">ИбрахӀим кӀелхьарваьккхинчу Везачу Эло иштта боху Якъубан тӀаьхьенах лаьцна: «Якъубан тӀаьхье кхин юьхьӀаьржачу хӀуттур яц, цуьнан юьхь кхин макхлур яц.</verse>
				<verse number="23">ХӀунда аьлча Аса кхоьллина долу шен бераш шена гича, Якъубан тӀаьхьено еза лорур ю Сан цӀе. Якъубан Веза Дела цара веза лорур ву, Исраилан Далла хьалха уьш ларамах буьзна хир бу.</verse>
				<verse number="24">ТӀаккха са акха долучаьрга хьекъалалла дуссур ду, аьрхачарна ладугӀуш хила Ӏемар ду».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="30">
				<verse number="1">«Къа ду аьрхачу нехан, — боху Везачу Эло. — Цара Ӏалашонаш хӀиттайо, амма уьш Сайнаш яц, харцделанашна чагӀаран сагӀанаш дахарца цара берташ бо, амма уьш Сан Синера бац, цхьана къинна тӀе кхиниг а тухуш.</verse>
				<verse number="2">Сох дага а ца бовлуш, Мисар-махка боьлху уьш, пирӀуне гӀо дехархьама а, Мисаран ӀиндагӀехь дӀалачкъархьама а.</verse>
				<verse number="3">Амма пирӀуно деш долу гӀо эхье хир ду шуна, Мисаран ӀиндагӀехь дӀалачкъар а сий дайаре доьрзур ду.</verse>
				<verse number="4">Церан баьччанаш а, векалш а мисархойн ЦоӀан-гӀалина а, Хьанас-гӀалина а тӀекхаччалц белахь а,</verse>
				<verse number="5">берриге а яхӀудхой юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу шайна пайденна доцу и халкъ бахьанехь. Цуьнгара я гӀо а, я пайда а хир бац царна, амма эхь а, юьхьӀаьржо а хир ю».</verse>
				<verse number="6">ХӀара бу НегӀаб яьссачу арахь долчу дийнатех лаьцна хаам: «Шена чохь дуккха а лоьмаш долчу а, шена чохь дӀаьвше лаьхьанаш а, саьрмикаш а долчу сингаттамечу а, кхерамечу а махкахула дӀабоьлху яхӀудхойн векалш. Шайн варрашна а, эмкалшна а тӀедехкина, деза совгӀаташ хьо цара цхьана а агӀор шайна дан гӀо доцучу халкъана.</verse>
				<verse number="7">Мисар-махко до гӀо цхьана а агӀор пайденна дац. Цундела туьллу Ас цунна цӀе: „Кхераме боцу саьрмик“, — аьлла».</verse>
				<verse number="8">Везачу Эло элира: «ХӀинца, ваха а гӀой, экъан тӀехь дӀаязде иза царна, тептар тӀе язде, тӀейогӀучу ханна, гуттаренна а иза дисийта.</verse>
				<verse number="9">ХӀунда аьлча и халкъ аьрха ду, иза аьшпаш буьттуш а, Везачу Элан хьехаме ладогӀа ца лууш а ду.</verse>
				<verse number="10">Хиндерг гуш болчаьрга цара боху: „Суьрташ кхин ма хӀиттийта шайна хьалха!“, ткъа пайхамаршка боху: „Делера долу бакъдерг ма дийца, тхуна тамехь дерг дийца, самукъане хаамаш бе.</verse>
				<verse number="11">Бита нийса некъ, дӀадовла бакъдолчу новкъара. Тхуна ца лаьа шун Исраилан Везачу Делах лаьцна хаза“».</verse>
				<verse number="12">Цундела иштта боху Исраилан Везачу Дала: «Сан дош емал а дина, гӀелонна а, гамделлачунна а тӀетевжина шу.</verse>
				<verse number="13">ХӀара къа шуна хӀаллакьхиларна хир ду. И къа, хероно боькъу лекха пен санна, дӀасашорлур ду. Шу санна болу и пен охьабожа боллуш хир бу. ТӀаккха цӀеххьана пен охьабужур бу.</verse>
				<verse number="14">И пен, кхийра кхаба санна, кегбина хир бу. Цуьнан кескаш юкъара цхьа а пайден хир яц. Царах цхьанна а чохь пешара цӀе я гӀун чуьра хи дӀахьойла дац».</verse>
				<verse number="15">Хьалдолчу Эло, Исраилан Везачу Дала, иштта боху халкъе: «Соьга, юха а дирзина, шу хьоьжуш делахь, кӀелхьардевр ду шу. Шу собарца Сох тешахь, ницкъ хир бу шуьгахь». Амма шу реза ца хили иза дан.</verse>
				<verse number="16">Мелхо а, аша боху: «Говрашкахь девдда дӀагӀур ду тхо». ХӀаъ, шу девдда дӀагӀур ма ду! Аша боху: «Чехкачу говрашкахь тхо девдда дӀагӀур ду». ХӀаъ, амма шуна тӀаьхьабевллачеран говраш кхин а сиха хир ю!</verse>
				<verse number="17">Шух эзар водур ву цхьана мостагӀчо шуна кхерам тесча, ткъа царах пхеаммо шу массо а водуьйтур ву. Шун эскарх хӀумма а юьсур яц, гунна буьххье йоьллина тӀехь байракх йолу гӀаж санна кӀезиг берш бен.</verse>
				<verse number="18">Веза Эла шуьга хьоьжуш ву, шух къинхетам бан лууш, Иза хьалаваьккхина лаьтташ ву, шуна диканиг дан лууш, хӀунда аьлча Веза Эла нийсонан Дела ву. Декъал бу Цуьнга хьоьжуш берш.</verse>
				<verse number="19">Ярушалаймехь Цийон-лам тӀехь Ӏаш долу халкъ, хьо кхин доьлхур дац. Ахь орца даьккхича, Везачу Эло хьуна диканиг дийр ду. Ахь гӀо доьхуш Шена хезча, Цо хьуна жоп лур ду.</verse>
				<verse number="20">Хьалдолчу Эло шуна, халкъан нах, бепиг санна, гӀайгӀа лур ю, ткъа хи санна, гӀело лур ю. Делахь а, шуна хьехамаш бийриг кхин лечкъина хир вац. Шайн бӀаьргашца иза гур ву шуна.</verse>
				<verse number="21">Шун лергашна хезар ду шайна тӀехьа аьлла дешнаш: «ХӀара бу некъ, цу тӀехула гӀо дӀа», нагахь шу, новкъа дӀадоьлхуш, аьтту я аьрру агӀор дӀадерзахь.</verse>
				<verse number="22">ТӀаккха аша детица кхелина болу шайн цӀуш а, дешица кечдина долу суьрташ а кхиссина дӀадохуьйтур ду, боьха нехаш санна: «Яхийта кхузара!» — аьлла.</verse>
				<verse number="23">Везачу Эло догӀа доуьйтур ду аша лаьтта дӀадийначу хӀуьнна тӀе, тӀаккха шун ялта хьийкъина а, токхе а хир ду. Шуьйрачу дежийлашкахь дежаш дуккха а даьхни хир ду шун.</verse>
				<verse number="24">Аренашкахь болх беш долчу шун стерчаша а, варраша а шаданций, белаций, оруш, цӀанбина чоме хӀоъ буур бу.</verse>
				<verse number="25">Дуккха а адамаш дайар хиллачу дийнахь, бӀаьвнаш йохийна хӀаллакйича, хӀора лекхачу лома а, хӀора боккхачу гунна а тӀера хин татолаш охьахьодур ду.</verse>
				<verse number="26">Беттан серло малхан серло санна хир ю, ткъа малхан серло ворхӀазза сов сирла хир ю, цхьана денна чохь йолу ворхӀ дийнан серло санна. И дерриг а хир ду Везачу Эло, Шен халкъана йина чов дӀа а йихкина, Ша цунна динчу лазарна дарба дечу хенахь.</verse>
				<verse number="27">Хьажал, Веза Эла геннара схьавогӀуш ву, ткъа Цуьнан оьгӀазалла цӀе санна йогуш ю. Цуьнан хаам чӀогӀа хала а, беза а бу. Цуьнан балдашкахула арадолург дераллех дуьзна ду, ткъа Цуьнан маттаца дуьйцург дӀакхоллуш йолу цӀе санна ду.</verse>
				<verse number="28">Цуьнан садеӀар логе кхаччалц хьаладаьллачу дистинчу хих тера ду. Цецаца Цо къаьмнаш дегадо, диканиг вочух дӀакъасторхьама. Халкъийн мочхалшна Цо гаьллаш йохку, церан новкъа тӀера уьш зуламечух дӀадигархьама.</verse>
				<verse number="29">Ткъа аша, Далла лериначу дезачу дийнан буьйсанна санна, эшарш лоькхур ю. Шун дегнаш тӀехь самукъадалар хир ду, шедаг а локхуш, Везачу Элан лома тӀе, исраилхойн Тарха тӀе воьдучу стеган санна.</verse>
				<verse number="30">Везачу Эло хӀоранна а Шен нуьцкъала аз хозуьйтур ду. Шен оьгӀазаллин ницкъ гойтур бу Цо цӀераш йийларехула а, стигал къекъарехула а, тӀулгаш санна йолу къора тохарехула а, догӀанаш даийтарехула а.</verse>
				<verse number="31">Везачу Элан аз хезча, ашурхой, кхерабелла, бегош хир бу. ГӀожаца санна, царна таӀзар дийр ду Цо.</verse>
				<verse number="32">Везачу Эло царна Шен гӀаж мосазза туху, етташ жиргӀа а, локхуш дечиг-пондар а хир бу. Хьалаайинчу куьйгаца Цо тӀом бийр бу цаьрца.</verse>
				<verse number="33">Дукха хенахь дуьйна Тупат цӀе йолу меттиг кечйина ю, цигахь цӀе латорхьама. И меттиг Ашуран паччахьна лерина ю. Иза кӀорга а, шуьйра а ю. Цу цӀерга туьллуш алссам дечиг ду, иза йоккха хилийта. Везачу Эло мох тоьхча, саьмгал санна, хьалалетар ю иза.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="31">
				<verse number="1">Къа ду Мисар-махка гӀо деха боьлхучеран! Мисархойн говрех а, гӀудалкхех а, уьш дукха хиларна, догдохийла а йолуш, церан дошлойх, уьш онда хиларна, бӀо а булуш бу уьш, амма Исраилан халкъан Везачу Деле а ца хьовсу, Везачу Эле гӀо а ца доьху цара.</verse>
				<verse number="2">Амма Иза хууш ву, Ша деш дерг хӀун ду! Цо бохам боккхур бу, Шен дешнаш юхаоьцуш вац Иза. Харцонаш лелочу зуламечу нахана а, царна гӀо дечарна а дуьхьал Шен оьгӀазалла йоккхур ю Цо.</verse>
				<verse number="3">Мисархой адамаш бен дац, уьш деланаш бац. Церан говраш дилха бен дац, уьш гӀаларташ дац. Везачу Эло Шен куьг дӀахьажийча, гӀо доккхург тасалур ву, ткъа гӀо тӀелаьцнарг вужур ву. Уьш ший а хӀаллакьхир ву.</verse>
				<verse number="4">Везачу Эло иштта элира соьга: «Ижуна тӀехь гӀигӀ деш лаьтта къона лом санна ву Со. Масийтта Ӏу цунна дуьхьал валархьама кхайкхича а, и лом церан маьхьарех ца къехка, церан гӀовгӀанех кхера а ца ло. Иштта массо а ницкъийн Веза Эла волу Со а хир ву, Цийон-лома а, цуьнан гунна а дуьхьал тӀом бархьама Со охьавоьссича.</verse>
				<verse number="5">Олхазарш, шайн кӀорнеш ларъярхьама, бенашна тӀехула леларе терра, массо а ницкъийн Везачу Эло Ярушалайм-гӀала ларйийр ю. Цо и гӀала, дӀа а къевлина, кӀелхьарйоккхур ю. Чекх а ваьлла, иза паргӀатйоккхур ю Цо».</verse>
				<verse number="6">Исраилхой, шаьш сел чӀогӀа дуьхьалдевллачу Далла тӀе юхадерза!</verse>
				<verse number="7">Цу дийнахь шух хӀораммо а шен къа латийначу куьйгашца бина дато а, дашо а цӀуш дӀакхуьссур бу.</verse>
				<verse number="8">«Адаман доцучу туьро дужуьйтур ду Ашуран къам, стеган доцучу туьро дӀакхоллур бу ашурхой. Туьрана хьалхара дӀабовдур бу уьш, церан кегийчу нахах лай хир бу.</verse>
				<verse number="9">Уьш чӀогӀа тӀетевжинарг къематехь меттахдер ду, ткъа церан тӀеман хьаькамаш мостагӀийн байракхах кхоьрур бу», — боху Везачу Эло. Цуьнан цӀе Цийон-лома тӀехь йогуш ю, цӀеран кхерч Ярушалаймехь бу.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="32">
				<verse number="1">Хьовсал, цхьа паччахь хир ву нийсонца урхалла деш, иштта тхьамданаш а хир бу бакъонца куьйгалла деш.</verse>
				<verse number="2">Царах хӀора а мохана дуьхьал йолу дӀалечкъийла а, йочанина йина кхалор а, яьссачу арахь долу хьоста а, хьогах долчу лаьтта тӀе доьжна лекхачу тархан ӀиндагӀ а санна хир ду.</verse>
				<verse number="3">Адамийн бӀаьргаш кхин бӀарзбина хир бац, ткъа церан лергашца цара тидамца ладугӀур ду.</verse>
				<verse number="4">Ойла ца ечеран хьекъал хӀума хууш а, цунах кхеташ а хир ду, мотт тиссалучара шера а дуьйцур ду.</verse>
				<verse number="5">Ӏовдалах иза лараме ву кхин эр дац, ямартчух иза хьанал ву а эр дац.</verse>
				<verse number="6">ХӀунда аьлча Ӏовдало сонта хӀума дуьйцу, цуьнан дагахь вониг дар ду. Цо Ӏесалла лелайо, Веза Эла емалво, мецачун лаам Ӏаба ца бо, ткъа хьогахверг хи доцуш вуьту.</verse>
				<verse number="7">Ямартчун гӀуллакхаш зуламе ду: цо ямартло ян ойла йо, къениг харц дешнашца хӀаллаквархьама, и къениг нийса воллушехь.</verse>
				<verse number="8">Ткъа хьаналчо ойла а хьаналниг йо, дерриге а цӀена долчунна тӀехь лаьтта иза.</verse>
				<verse number="9">ГӀайгӀа йоцу зударий! Хьала а гӀовттий, ладогӀа соьга. Шаьш сашортехь бу моьттуш болу мехкарий! ЛадогӀа сан дешнашка.</verse>
				<verse number="10">Шарал сов, кхин масех де даьлча, кхерамца дегош хир ду шу, гӀайгӀа йоцурш! ХӀунда аьлча кемсаш а лахьор яц, ялта чудерзо хан тӀе а кхочур яц.</verse>
				<verse number="11">Бегало, гӀайгӀа йоцу зударий! Лесташ хила, синтемехь болу мехкарий! Шайн бедарш охьа а кхиссий, гӀодаюккъе сингаттаман духар дехка.</verse>
				<verse number="12">Хьалха ка а етташ, делха шайн яйначу исбаьхьачу аренех, хьийкъина стом лучу кемсийн таьллангех.</verse>
				<verse number="13">ГӀайгӀа е тӀехь коканан коьллаш а, кӀохцалш а долчу Сан халкъан лаьттах. Делха массо а самукъане хиллачу цӀенойх а, йоккхаеш хиллачу гӀаланах а.</verse>
				<verse number="14">ХӀунда аьлча гӀап дӀатесна хир ю, гӀовгӀане гӀала а яссалур ю. ГӀалара цӀенош а, шайна тӀехь ха деш йолу бӀаьвнаш а, саьлнаш а йина лаьттар ю гуттаренна а. Акха варраш а кхерстар ю цигахь, дежаш уьстагӀий а лелар ду,</verse>
				<verse number="15">лакхара вайна тӀе Делан Са доссийтталц. ТӀаккха яьссачу аренах беш хир ю, беш хьун санна хир ю.</verse>
				<verse number="16">Нийсо дӀахӀуттур ю яьссачу арахь, бакъдерг лаьттар ду хьийкъинчу бешахь.</verse>
				<verse number="17">Нийсоно машар хуьлуьйтур бу, ткъа нийсонан стом — синтем а, сашорте а хир ю абаденналц.</verse>
				<verse number="18">ТӀаккха сан халкъ машаречу хӀусамашкахь Ӏийр ду, кхерам боцучу цӀеношкахь а, паргӀато йолчу садоӀучу меттигашкахь а.</verse>
				<verse number="19">Делахь а, къорано хьун йохор ю, ткъа гӀала ерриг а лахйийр ю.</verse>
				<verse number="20">Декъала ду шу, хӀунда аьлча дерриге а хишна уллохь ялта дӀаделур ду шуьга, шайн бежанаш а, варраш а паргӀат яжийталур ю шуьга.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="33">
				<verse number="1">Къа ду хьан, халкъ, чӀана даьккхина доцу чӀана даккхархо! Хьан а къа ду, цхьаммо а ямартло йина воцу ямартхо! Нах чӀана баьхна хьо даьлча, хьо а доккхур ду чӀана. Ямартло йина хьо даьлча, хьуна а йийр ю ямартло.</verse>
				<verse number="2">Веза Эла! Къинхетам бехьа тхох, Хьох ю-кха тхан дегайовхо. Лардехьа тхо хӀора дийнахь, кӀелхьар а дахахьа, хала хан тӀееача.</verse>
				<verse number="3">ЧӀогӀа гӀовгӀа хезча, халкъаш дӀадовдур ду. Хьо хьалагӀаьттича, къаьмнаш дӀасадаьржар ду.</verse>
				<verse number="4">Аша дӀаяьккхина хӀонс, цӀазо дӀакхаьллича санна, дӀалахьор ю, цӀазийн жӀуга тӀелетча санна, шун хьолана тӀелетар бу.</verse>
				<verse number="5">Ма сийлахь ву лакхахь Ӏаш волу Веза Эла! Нийсо ярх а, бакъдерг лелорах а хьалаюзур ю Цо Цийон.</verse>
				<verse number="6">Веза Эла халкъан заманашкахь чӀогӀалла хир ю. Цо алссам кӀелхьардахар лур ду, хьекъалалла а, вовзар а луш. Везачу Элана хьалха ларамах дуьзна хилар — иза халкъан хазна хир ю.</verse>
				<verse number="7">Хьовсал, церан майра къонахий урамашкахь, гӀо доьхуш, маьхьарий хьоькхуш бу, ткъа машарна арабевлла векалш къаьхьа боьлхуш бу.</verse>
				<verse number="8">Некъаш а дассаделла, дӀасалелаш некъахой а бац. Барт а бохийна, цуьнан тешаш а емалбина бу, цхьа а вац лоруш.</verse>
				<verse number="9">Латта гӀайгӀа а еш, гӀел а луш Ӏуьллу. Ливанунан хьаннаш тӀе эхь деана а, маргӀалйоьлла а ю. Шарон-тогӀи яьссачу аренах таръелла. Башан-мохк а, Кармал-лам а дерзина девлла, шайн дитташ тӀера гӀаш охьа а эгна.</verse>
				<verse number="10">«ХӀинца Со гӀоттур ву, — боху Везачу Эло. — ХӀинца Со лекха а, веза а хилар гойтур ду Ас.</verse>
				<verse number="11">Аш хӀиттош йолу Ӏалашонаш эрна ю, хӀора аш деш долу гӀуллакх пайденна дац. Шун садеӀар шу дӀакхоллу йолу цӀе ю.</verse>
				<verse number="12">Кхехкаш болу кир санна, халкъаш дохийна хир ду, хедийна коканан коьллаш санна, цӀерга кхуьссур ду уьш.</verse>
				<verse number="13">Аша, генарчара, ладогӀа Ас динчуьнга, ткъа шуна, уллорачарна, бовза Сан ницкъ!»</verse>
				<verse number="14">Цийон-лома тӀехь болу къинош летийнарш кхералуш бу, Ӏеса нах бегош бу: «Вайх мила Ӏалур ву дерриг а дӀакхоллучу цӀерана уллохь? Вайх мила Ӏалур ву йовр йоцучу цӀерана уллохь?»</verse>
				<verse number="15">Нийсонца а лелаш, бакъдерг дуьйцург а, харцо а лелийна, стагера хӀума ца йоккхург а, кхаъ эцарх шен куьг лардийриг а, адам ден барт беш ца хазийта лергаш дӀакъовлуш верг а, зулам деш ца гайта бӀаьргаш дӀакъовлуш верг а ву —</verse>
				<verse number="16">иштта волу стаг лакхенашкахь Ӏаш хир ву, иза къайлаваьлла меттиг лаьмнийн гӀап хир ю. Цунна бепиг а латтор ду, хих а хедар вац иза.</verse>
				<verse number="17">Хьан бӀаьргашна паччахь гур ву шен хазаллехь, гена кхочуш долу латта а гур ду.</verse>
				<verse number="18">Хьуна дагахь лаьттар ду хьалха хилла Ӏазапаш: «Мичахь ву адамаш дӀаяздеш лелларг? Мичахь ву ял йоккхуш верг? Мичахь ву бӀаьвнаш лоруш верг?»</verse>
				<verse number="19">Хьуна кхин гур дац Ӏаьржа а, ца кхеташ а долу къамел а, тамашийна а, ца бевзаш а болу мотт буьйцу дегала халкъ.</verse>
				<verse number="20">Вайн синкъераман гуламаш хуьлучу гӀалане Цийоне дӀахьажал. Хьан бӀаьргашна Ярушалайм гур ю, иза машаре меттиг а, меттахдаккхалур доцу четар а ду. Иза чӀагӀдеш тоьхна долу хьостамаш цкъа а схьадевр дац, цуьнан цхьа а муш хедар бац.</verse>
				<verse number="21">Цигахь Сийлахь волу Веза Эла вайна шуьйра хиш а, Ӏовраш а санна хир ву. МостагӀийн пийсакашца лелош долу а, четарца лелош долу а хинкеманаш чудогӀур дац цига.</verse>
				<verse number="22">ХӀунда аьлча Веза Эла вайн кхелахо ву, Веза Эла вайн Ӏедал кхоллархо ву, Веза Эла вайн паччахь ву. Цо кӀелхьардохур ду вай.</verse>
				<verse number="23">МостагӀчун машшаш лагӀделла, цаьрга мачтанаш а ца латтало, четарш а ца лелало. ТӀаккха йоккха хӀонс екъар хир ду, ур-атталла астагӀчара а схьаяьхна хӀуманаш дӀаяхьар ю.</verse>
				<verse number="24">Цийонехь Ӏаш волчо цхьаммо а эр дац: «Со цомгуш ву». Цигахь бехаш болчеран массеран а къиношна гечдина хир ду.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="34">
				<verse number="1">ТӀедуьйла, массо а халкъаш, ла а дугӀуш! Тидам бе, къаьмнаш! Лаьттана а, дерриг а цунна тӀехь долчунна а, дуьненна а, дерриг а цунна чохь долчунна а дӀахезийла!</verse>
				<verse number="2">Веза Эла массо а халкъана оьгӀазвахана ву, церан эскаршна дуьхьалъяьккхина ю Цуьнан дералла. Цо уьш берриш а хӀаллакбан билгалбехира, уьш байа дӀабелира.</verse>
				<verse number="3">Церан байинарш дӀасакхиссина хир бу, церан декъашна тӀера хьалаоьхуш хьожа хир ю. Лаьмнаш дашор ду церан цӀийно.</verse>
				<verse number="4">Стигалара дерриг а седарчий телхар ду, стигал а хьаьрчар ю, хьарчийна тептар санна. Седарчийн эскар а, кемсийн таьлланга тӀера чудужу гӀа санна а, инжиран дитта тӀера маргӀалдоьлла гӀа санна а, чудужур ду.</verse>
				<verse number="5">Везачу Эло боху: «Сан тур стигалахь, дераллах даха а дехна, кечдина ду. Хьовсал, кхел ян езачу а, Аса дерриг хӀаллакден долчу а Эдоман халкъана тӀедуссуш ду иза».</verse>
				<verse number="6">Везачу Элан тур цӀийх дузур ду, махьарх а дазлур ду — Ӏахарийн а, бежалойн а цӀийх дузур ду, уьстагӀийн жаннаш тӀерачу махьарх а дазлур ду иза. ХӀунда аьлча Бацар-гӀалахь сагӀа даккхар а, Эдоман лаьтта тӀехь, доккха цӀий Ӏанош, урс хьакхар а хир ду Везачу Элан.</verse>
				<verse number="7">Цаьрца цхьаьна бугӀанаш а, старгӀанаш а, стерчий а охьаоьгур ду, церан цӀий лаьттах чекхдер ду, церан махьаро чан яшор ю.</verse>
				<verse number="8">Везачу Эло бекхам баран де а, мостагӀех акхаран шо а билгалдаьккхира. Цийонан гӀуллакх лардийр ду Цо.</verse>
				<verse number="9">Эдоман хих силам хир ду, цуьнан чан саьмгал хилла дӀахӀуттур ю, ткъа лаьттах догуш долу силам хир ду.</verse>
				<verse number="10">Дийнахь а, буса а дӀа а ца довш, догуш хир ду и латта, массо а хенахь кӀур хир бу цунна тӀера хьалаоьхуш. Массо а тӀейогӀучу тӀаьхьенехь дӀатесна а, даьсса а хир ду иза. Абаденналц цхьа а гӀур вац цунна тӀехула дӀа.</verse>
				<verse number="11">Куьйранаша а, зуьнаша а дӀалоцур ду и латта, ткъа бухӀанаша а, къийгаша а шайн бенаш цигахь дийр ду. Везачу Эло Эдоман мохк баьсса а, кегарин а хуьлуьйтур бу.</verse>
				<verse number="12">Баьччанех цхьа а вуьсур вац цигахь, махкана тӀехь паччахьалла дан кхайкха, берриг а цигара элий дӀабевр бу.</verse>
				<verse number="13">КӀохцалш долу коьллаш дезачу цӀеношкахь кхуьур ю, баьӀаша а, нитташа а гӀепаш къайлайохур ю. ЧангӀалкхаш а, бухӀанаш а Ӏийр ю цигахь.</verse>
				<verse number="14">Яьссачу аренан акхарой акхачу жӀаьлешца цхьаьнакхетар ю цигахь, акха гезарий хир ю вовшашка Ӏоьхуш. Буьйсанан гӀаларташ хир ду цигахь садоӀуш а, шайна синтем лоьхуш а.</verse>
				<verse number="15">БухӀано, бен а бина, тевна хиъна, хӀоаш дохур ду цигахь. Ша даьхна кӀорнеш шен тӀемийн ӀиндагӀехь лардийр ду цо. Маккхалш а гуллур ю цигахь цхьаъ вукхунна тӀаьххье.</verse>
				<verse number="16">Везачу Элан тептар тӀехь схьа а лахий, дӀадеша: оцу акхаройх цхьа а цигахь йоцуш хир яц, ткъа цхьа а стен дийнат боьршаниг доцуш хир дац, хӀунда аьлча Цо Ша омра дина, Цуьнан Сино схьагулдийр ду уьш цхьаьна.</verse>
				<verse number="17">Цо Ша тесна царна кхаж, Цуьнан куьйго шен барамца декъна царна. Массо а хенахь цара дола дийр ду цу лаьттан, тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашкахь цунна тӀехь Ӏийр ду уьш.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="35">
				<verse number="1">Яьсса а, екъа а аре йоккхаеш хуьлийла, эрна аре самукъадаьлла хуьлийла, акха зезаг санна цо заза доккхийла.</verse>
				<verse number="2">ЧӀогӀа заза доккхуш хуьлийла и аре, йоккха а еш, самукъане иза кхойкхийла. Ливанунан сийлалла цунна дӀалур ду, Кармал-ломан а, Шарон-аренан а исбаьхьалла цунна лур ю. Везачу Элан сийлалла гуш хир ю, вайн Делан исбаьхьалла гур ю.</verse>
				<verse number="3">Андде шайн кӀадделла куьйгаш, чӀагӀъе шайн егош йолу голаш.</verse>
				<verse number="4">Кхоьруш долу дегнаш долчаьрга дӀаала: «Доьналлехь а хила, кхера а ма кхера! Дела схьавогӀур ву, шун мостагӀашна бекхам бархьама. Царна доггӀург а делла, шу кӀелхьардаха Иза вогӀур ву».</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха бӀаьрзечийн бӀаьргаш са гуш хир бу, ткъа къорачийн лергаш дӀадоьллур ду.</verse>
				<verse number="6">АстагӀниг, сай санна, кхоссалур ву, мотт сецна волчо, хазахеташ, мохь хьоькхур бу. Хиш яьссачу арахула дӀахецалур ду, хин Ӏовраш эрначу арахула оьхур ю.</verse>
				<verse number="7">Йовхачу гӀамарх хин Ӏам хир бу, декъа латта хьостанаша дузор ду. ЧангӀалкхаша шайна баннаш дина меттигашкахь шач а, эрз а хьалабер бу.</verse>
				<verse number="8">Коьрта некъ а хир бу цигахь, цунах «Деза долчун некъ» эр ду. Хьарам берш цу новкъахула гӀур бац, сонта берш цунна тӀехь кхерстар бац. Делан новкъахула леларш бен, уьш бен цу новкъахула лелар бац.</verse>
				<verse number="9">Цхьа а лом хир дац цигахь, дера акхаро а ер яц цу тӀе. Уьш цигахь карор яц. Дала, мах а белла, паргӀатбаьхнарш гӀур бу цу новкъахула.</verse>
				<verse number="10">Везачу Эло кӀелхьарбаьхнарш юхабоьрзур бу, хазахетарца кхойкхуш Цийон-гӀалина чу гӀур бу. Гуттаренна а долу ирс церан кортош тӀехь хир ду. Самукъадалар а, хазахетар а царна тӀаьхьакхуьур ду, сингаттам а, узарш а царах дӀакъаьстар ду.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="36">
				<verse number="1">Хьузакх-ЯхӀус паччахьалла до дейтталгӀа шо долуш, Ашур-мехкан паччахьо Санхьариба, ЯхӀуд-мехкан массо а чӀагӀйинчу гӀаланашна тӀе а гӀоьртина, уьш дӀалецира.</verse>
				<verse number="2">Ашурхойн паччахьо Лахиш-гӀалара шен эскаран цхьа хьаькам вахийтира дуккха а тӀемалошца Ярушалайме Хьузакх-ЯхӀу-паччахьна тӀе. Лакхарчу Ӏома чуьра хи охьадогӀучохь, наха хӀуманаш юьттучу аренна тӀебоьдучу новкъахь, сецира и хьаькам.</verse>
				<verse number="3">Паччахьан цӀийнан хьаькам волу Хьалкхи-ЯхӀун кӀант Элъякъим а, йозанча волу Шибна а, хилларг дӀаяздеш волу Асайпан кӀант Юахьи а, ара а ваьлла, цунна тӀевеара.</verse>
				<verse number="4">Ашурхойн эскаран хьаькамо элира цаьрга: «Иштта дӀаала Хьузакх-ЯхӀуга: „Ашурхойн сийлахьчу паччахьо хоьтту хьоьга: ‘Хьан бӀобулуш дерг хӀун ду?</verse>
				<verse number="5">Ахь боху хьайн говзалла а, тӀеман ницкъ а бу, амма уьш даьсса дешнаш ду. Хьанах ю хьан дегайовхо, хьо суна дуьхьалваллал?</verse>
				<verse number="6">Кагъелла Ӏаса санна болчу оцу Мисар-махкана тӀетовжа ойла йолуш ву те хьо? Шена тӀе цхьаъ товжахь, иза куьйгах чекхъер ма ю! Иштта ву шех тешна Ӏаш болчу массаьрца а Мисар-мехкан паччахь волу пирӀун.</verse>
				<verse number="7">Я аша олу те: ‹Тхайн Везачу Делах тешна Ӏаш ду тхо›? Делахь а Хьузакх-ЯхӀус, цу Далла лерина сагӀа доккху гунаш а, шайна тӀехь долу кхерчаш а дӀа а даьхна, ЯхӀудан а, Ярушалайман а халкъе ма олура: ‹Ярушалаймехь болчу хӀокху кхерчана хьалха бен Ӏибадат ма де›.</verse>
				<verse number="8">Вало, сан олахо волчу ашурхойн паччахьца берта гӀо хьо. Аса ши эзар дин хьуна белча а, царна тӀе ховшо береш карор барий хьуна?</verse>
				<verse number="9">Сан олахочун уггар кӀезиг лоруш болчу ялхойн цхьа тхьамда а юхаваккха муха гӀерта хьо, Мисар-махко хьайна тӀеман гӀудалкхаш а, дошлой а бахкийтарх тешна хьо Ӏаш велахь?</verse>
				<verse number="10">Везачу Элан лаам ца хилча, кху лаьтта тӀе вогӀур варий со иза хӀаллакдан? Ша Везачу Эло элира соьга: ‹Ваха а гӀой, хӀокху махкана тӀе а латий, иза хӀаллакбе›’“».</verse>
				<verse number="11">Элъякъима а, Шибнас а, Юахьис а эскаран хьаькаме элира: «Тхо арамхойн маттах кхета, цундела тхоьца арамхойн мотт бийца. Оцу пенна тӀехь лаьтташ долчу халкъана а хезаш, Ӏебархойн маттахь ма дийца тхоьца».</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха цу хьаькамо жоп делира: «Веккъа цхьана хьан олахочунна тӀе а, хьуна тӀе а бен ваийтина-м вац со сан олахочо хӀара дешнаш дӀаала? ХӀан-хӀан, хӀокху пенна тӀе охьахевшина долчу, шуьца цхьаьна шайн боьхалла а юуш, шайн хьатӀ муьйлур долчу кху адамашка а дӀаала веана со».</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха эскаран хьаькамо, хьала а гӀаьттина, чӀоггӀачу озаца Ӏебархойн маттахь элира: «ЛадогӀалаш, ашурхойн сийлахьчу паччахьан даше!</verse>
				<verse number="14">ХӀара ду паччахьо бохург: „Хьузакх-ЯхӀуга шаьш ле ма дайта. Цуьнга сан карара шу кӀелхьардахалур дац.</verse>
				<verse number="15">‘Везачу Эло вай кӀелхьар а дохур ду, и гӀала Ашур-мехкан паччахьан кара а йохуьйтур яц’ — бохуш, Везачу Элах а тешна, шаьш Хьузакх-ЯхӀуга ле ма дайта.</verse>
				<verse number="16">Ла ма догӀа Хьузакх-ЯхӀуга! Ашурхойн паччахьо иштта боху: ‘Соьца берта а гӀой, суна тӀедуьйла. Шух хӀораммо а шен долахь йолчу кемсийн таьлланга тӀера а, инжирийн дитташ тӀера а стоьмаш доийла, иштта хӀораммо а шен доларчу гӀу чуьра хи а молийла,</verse>
				<verse number="17">аса, ван а веана, шена тӀехь кӀа а, чагӀар а долуш, бепиг а, кемсийн бошмаш а йолуш, шун латта санна долчу лаьтта тӀе шаьш дӀадиггалц’.</verse>
				<verse number="18">Хьузакх-ЯхӀуга шаьш ле ма дайта: ‘Везачу Эло вай кӀелхьардохур ду’, — бохуш. Ткъа кхечу къаьмнийн деланех цхьаммо а шен мохк ашурхойн паччахьан куьйгах кӀелхьарбаьккхиний?</verse>
				<verse number="19">Мичахь бу Хьамат-гӀалин а, Арпад-гӀалин а деланаш? Мичахь бу Сепарвайм-гӀалин деланаш? Шамран-гӀала а кӀелхьаръяьккхиний цуьнан деланаша сан карара?</verse>
				<verse number="20">Оцу мехкийн мел болчу деланех муьлхачо кӀелхьарбаьккхина шен мохк сан куьйгах? ТӀаккха Везачу Эло Ярушалайм сан карара схьайоккхур ю аьлла хетий шуна?“»</verse>
				<verse number="21">Дуьхьал цхьа а дош ца олуш, дӀатийна Ӏаш дара халкъ, хӀунда аьлча паччахьо омра динера: «Цунна дуьхьал жоп ма ло», — аьлла.</verse>
				<verse number="22">ТӀаккха паччахьан цӀийнан хьаькам волчу Хьалкхи-ЯхӀун кӀанта Элъякъима а, йозанчо Шибнас а, хилларг дӀаяздеш волчу Асайпан кӀанта Юахьис а, шайн тӀехулара бедарш а этӀийна, Хьузакх-ЯхӀуна тӀе а баьхкина, ашурхойн эскаран хьаькамо шайга аьлларг дӀадийцира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="37">
				<verse number="1">Шена и хабар ма-хеззи, шен тӀехулара бедарш а этӀийна, сингаттаман духар тӀе а дуьйхина, Везачу Элан цӀа долчу вахара Хьузакх-ЯхӀу.</verse>
				<verse number="2">Паччахьан цӀийнан хьаькам Элъякъим а, йозанча Шибна а, динан дайн тхьамданаш а, сингаттаман духарш тӀе а духийтина, Амосан кӀантана ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамарна тӀебахийтира цо.</verse>
				<verse number="3">Цара элира ЕшаӀ-ЯхӀуга: «Иштта боху Хьузакх-ЯхӀус: „Сингаттаман а, таӀзар даран а, эхь тӀедаран а де ду хӀара, хӀунда аьлча бер дуьнен чу доккхучу, ткъа и бер дан ницкъ ца кхочучу зудчух тарделла вай.</verse>
				<verse number="4">Цуьнан олахо волчу ашурхойн паччахьо схьахьажийначу эскаран хьаькамо аьлла, дийна волу Дела емалвеш долу дешнаш хьан Везачу Далла дӀахаза тарло. Хьан Везачу Дала цунна таӀзар дан тарло, Шена дӀахезна дешнаш бахьана долуш. Ткъа ахь дийна бисинчарах доӀа дехьа“».</verse>
				<verse number="5">Хьузакх-ЯхӀу-паччахьан ялхой шена тӀе баьхкича,</verse>
				<verse number="6">ЕшаӀ-ЯхӀус цаьрга элира: «ДӀаала шайн паччахье, Везачу Эло иштта боху: „Ашурхойн паччахьан ялхоша, Со емал а веш, аьллачу, хьайна хезначу дешнех ма кхера.</verse>
				<verse number="7">Хьажалахь! Аса цунна чу са дуьллуьйтур ду, тӀаккха цхьа хаам а хезна, иза шен махка юхавоьрзур ву. Ткъа Аса шен махкахь туьраца хӀаллаквийр ву иза“».</verse>
				<verse number="8">Ашурхойн паччахь Лахиш-гӀалара дӀавахна аьлла шена хезча, и эскаран хьаькам Ярушалаймера дӀавахара. Цунна шен паччахь Либна-гӀалина дуьхьал тӀом беш карийра.</verse>
				<verse number="9">ТӀаккха Санхьариб-паччахьна хезира, хушахойн паччахь ТирхӀакъа шена тӀелата араваьлла аьлла. Иза а хезна, цо геланчаш бахийтира яхӀудхойн паччахьна Хьузакх-ЯхӀуна тӀе,</verse>
				<verse number="10">цуьнга дӀаала: «Хьан дегайовхо шех йолчу хьайн Деле хьо ле ма вайта, Цо хьайга аьлча: „Ярушалайм ашурхойн паччахьан кара дӀалур яц“.</verse>
				<verse number="11">Хьуна-х ма хезна, ашурхойн паччахьаша массо а мехкашна хӀун дина, уьш хӀаллак а деш? Ткъа хьо кӀелхьарвоккхур ву ткъа?</verse>
				<verse number="12">Сан дайша хӀаллакдинчу къаьмнийн деланаша уьш кӀелхьарбаьхний? Газун а, ХӀаран а, Рацап а гӀаланашкара а, Тилассар-махкахь йолчу Ӏеданера а бахархой кӀелхьарбаьхний цара?</verse>
				<verse number="13">Мичахь бу Хьамат а, Арпад а, Сепарвайм а, ХӀинаӀ а, Ӏева а цӀераш йолчу гӀаланийн паччахьаш?»</verse>
				<verse number="14">Хьузакх-ЯхӀус, геланчашкара кехат схьа а эцна, дийшира. ТӀаккха, Везачу Элан цӀийне а вахана, Далла хьалха и кехат схьадаржийра цо.</verse>
				<verse number="15">Везачу Элана хьалха доӀа а деш, Хьузакх-ЯхӀус элира:</verse>
				<verse number="16">«Каруб-маликашна тӀехула йолчу Ӏаршна тӀехь охьахиъна Ӏаш волу, Исраилан халкъан Дела волу массо а ницкъийн Веза Эла! Дуьнен чуьра массо а пачхьалкхийн Дела Хьо цхьаъ ву. Ахь кхоьллина стигал а, латта а.</verse>
				<verse number="17">Хьайн лерг тӀе а дай, ладогӀахьа, Веза Эла, Хьайн бӀаьргаш схьа а беллий, хьажахьа, Веза Эла. ЛадогӀахьа Санхьариба, дийна Дела волу Хьо емалвеш, мел дуьйцучуьнга.</verse>
				<verse number="18">Ва Веза Эла, бакъ ду-кх ашурхойн паччахьаша, и къаьмнаш хӀаллак а деш, церан латтанаш а дассийна,</verse>
				<verse number="19">церан цӀу-деланаш цӀерга а кхиссина. Ткъа уьш-м деланаш а боцуш, адамийн куьйгаша дечигах а, тӀулгах а дина суьрташ дара, цундела уьш хӀаллакдан тарлора.</verse>
				<verse number="20">ХӀинца, тхан Веза Дела, кӀелхьардахахьа тхо цу паччахьан куьйгах, тӀаккха дуьнен чуьра массо а пачхьалкхашна хуур дара, Веза Эла волу Хьо воцург, кхин Дела воцийла».</verse>
				<verse number="21">Амосан кӀанта ЕшаӀ-ЯхӀус Хьузакх-ЯхӀуга хабар дахьийтира: «Исраилан Везачу Дала боху: „Ахь Соьга ашурхойн паччахьах Санхьарибах лаьцна доӀа дарна,</verse>
				<verse number="22">хӀара ду Везачу Эло цунна дуьхьал аьлла дош: ‘Емалъеш, йоьлур ю хьох Цийонан йоӀстаг, Ярушалайман йоӀа хьуна тӀаьхьа цаяшарца куьг тосур ду.</verse>
				<verse number="23">Мила ву ахь емалвинарг а, сийсазвинарг а? Хьанна дуьхьал аз айдина ахь, Хьанах ца вешаш хьайн бӀаьргаш хьалаайина? Исраилан Везачу Далла иштта дуьхьалваьлла-кх хьо!</verse>
				<verse number="24">Веза Эла емал а веш, хьайн геланчашкахула ахьа бохура: ‹Сайн дуккха а йолчу гӀудалкхашца ломан лакхенашка хьалаваьлла со, Ливанунан уггар лакхарчу регӀа тӀе. Цуьнан уггар а лекха баганан дитташ а, тоьлла долу зоьзан дитташ а хедийна аса. Цуьнан уггар а генарчу меттигашка а, къаьсттина юькъачу хьуьне а кхаьчна со.</verse>
				<verse number="25">Хийрачу мехкашкахь гӀунаш схьа а йостуш, царна чуьра хи мийлина аса. Сайн когийн айрашца Мисар-махкара дерриг а хиш лакъийна аса›.</verse>
				<verse number="26">Ас дуккха а хьалха и дерриг а дагатесна хилар хьуна ца хезна те? Ширачу заманахь дуьйна цунах ойла а йина, хӀинца иза Аса кхочушдина, чӀагӀйина гӀаланаш хьоьгахула ясса а йойтуш, царах къапалгийн саьлнаш а йойтуш.</verse>
				<verse number="27">Цу гӀаланийн бахархой ницкъ а байна хилла, кхерамна бега а беш, царна тӀе эхь деана. Арара буц я экам зӀийдагаш санна бу уьш. Тхов тӀехь хьалабаьлла бай санна бу уьш, кхиале берриг а марца а мерцина, малхбалера хьоькху бовха мох бахьана долуш.</verse>
				<verse number="28">Амма Суна хаьа хьо охьахиъча а, араваьлча а, чуваьлча а. Суна евза хьан Сайна дуьхьал йолу дералла а.</verse>
				<verse number="29">Хьан Суна дуьхьал дералла хиларна а, хьан цавашар Сан лере кхачарна а, хьан мерӀуьргех Сайн чӀуг а чекхйоккхур ю, хьан бага Сайн дуьрстанан гаьллаш а йохкур ю Аса. Схьавеанчу новкъахула хьо юха а верзор ву Аса’“.</verse>
				<verse number="30">ХӀара билгало ло Ас хьуна, Хьузакх-ЯхӀу: кху шарахь охьаэгначу ялтин хӀух кхиъна долу ялта, иштта тӀедогӀучу шарахь ша тӀедаьлларг а дуур ду аша. Ткъа кхоалгӀачу шарахь ялта дӀа а дей, иза чу а дерзаде, кемсийн бошмаш а дӀае, церан стоьмаш а баа.</verse>
				<verse number="31">ЯхӀудан цӀийнах дийна висинчо юха а лахахь орамаш а хоьцур ду, лакхахь стом а лур бу.</verse>
				<verse number="32">ХӀунда аьлча Ярушалаймера схьабогӀур бу дийна биснарш а, Цийон-ломара богӀур бу шаьш кӀелхьарбевлларш а. Иза массо а ницкъийн Везачу Делан кӀоргачу безамо кхочушдийр ду.</verse>
				<verse number="33">Цундела ашурхойн паччахьах лаьцна Везачу Эло иштта боху: „Иза цу гӀали чу а вер вац, цу чу цо ур-атталла цхьа пха а кхуссур бац. Карахь турс долуш гӀалина тӀе а вогӀур вац иза, цунна гонах баьрзнаш а дийр дац цо.</verse>
				<verse number="34">Ша схьавеанчу новкъахула юхавоьрзур ву иза, амма цу гӀали чу вогӀур вац, — боху Ас, Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="35">Аса ларйийр ю хӀара гӀала, Сайн дуьхьа а, Сайн ялхочун Даудан дуьхьа а кӀелхьар а йоккхур ю иза“».</verse>
				<verse number="36">ТӀаккха хӀара хилира: Везачу Элан Малико, дӀа а дахана, Ашурхойн эскаран меттаматтара цхьа бӀе везткъе пхи эзар стаг хӀаллаквира. Дийна бисина болу ашурхой Ӏуьйранна хьалагӀевттича, царна лаьттахь Ӏохку декъий гира.</verse>
				<verse number="37">Ашурхойн паччахь Санхьариб, юха а ваьлла, Нунав-гӀала веара. Цигахь иза сецира.</verse>
				<verse number="38">Шен дела волчу Нисрухан цӀа чохь Ӏибадат дечу хенахь, цуьнан кӀенташа Адир-Малика а, Шар-Эцара а, тур а тоьхна, вийра иза. Юха и шиъ Арарат-махка дӀаведира. ТӀаккха Санхьарибан метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кхин кӀант Эсар-Хьадун.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="38">
				<verse number="1">Цу деношкахь Хьузакх-ЯхӀу, цомгуш а хилла, валарна гергакхаьчнера. Амосан кӀант волчу ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро, иза волчу а веана, элира цуьнга: «Иштта боху Везачу Эло: „Хьайн цӀентӀехь болчаьрга весет де, хӀунда аьлча, цомгуш волчуьра то а ца луш, хьо лийр ву“».</verse>
				<verse number="2">Юьхь пенехьа дӀа а ерзийна, Везачу Эле иштта доӀа дира Хьузакх-ЯхӀус:</verse>
				<verse number="3">«Ва, Веза Эла! Дагадаийтахьа, Хьуна тешаме а волуш, доггах тӀевирзина а хуьлуш, со Хьайна хьалха лелар. Ас гуттар а Хьуна нийса хеташ дерг леладора». ТӀаккха къаьхьа вилхира Хьузакх-ЯхӀу.</verse>
				<verse number="4">Юха Везачу Элан дош кхечира ЕшаӀ-ЯхӀуга:</verse>
				<verse number="5">«Хьузакх-ЯхӀу волчу а гӀой, иштта дӀаала цуьнга: „Иштта боху хьо схьаваьллачу Даудан Дела волчу Везачу Эло: ‘Суна хьан доӀа а хези, хьан бӀаьрхиш а ги. Ас хьан дахарна тӀе пхийтта шо хан тухур ю.</verse>
				<verse number="6">Ашурхойн паччахьан куьйгах хьо а, хӀара гӀала а кӀелхьарйоккхур ю Ас, гӀала лар а йийр ю’“.</verse>
				<verse number="7">Везачу Эло Ша аьлларг кхочушдийриг хиларан хӀара билгало ю хьуна.</verse>
				<verse number="8">„Ахьаз-паччахьо бинчу лами тӀера маьлхан ӀиндагӀ итт тӀегӀанна юхадоккхур ду Ас“, — боху Везачу Эло». Ша чубаханчуьра итт тӀегӀанна юхабелира малх.</verse>
				<verse number="9">ХӀара ду яхӀудхойн паччахьо Хьузакх-ЯхӀус, цамгарх ша товелча, дӀаяздинарг:</verse>
				<verse number="10">«Ас аьллера сайга: „Сайн дахаран тоьллачу хенахь Ӏожаллин кевнах чекхвала везаш ву со. Дахаран дисинчу шерех дӀахаьдда ву со“.</verse>
				<verse number="11">Ас аьллера: „Дийначийн лаьтта тӀехь кхин гур вац суна Веза Эла. Дахар дӀахедош долчу дуьнен тӀехь кхин цкъа а адам гур дац суна.</verse>
				<verse number="12">Сан дахар сох дӀадоккхуш ду, дӀадоккхуш долу жаӀуйн четар санна. КӀадидархочо санна, сан оьмар карчийна ас. КӀади дечу чарха тӀера дӀахададо кӀади санна, Везачу Эло сан дахар чекхдоккху цӀеххьана, Ӏуьйренна тӀера суьйре тӀекхачале.</verse>
				<verse number="13">Сахиллалц хьоьжуш Ӏийра со, лоьмо санна, Цо кегйора сан даьӀахкаш. Везачу Эло сан дахар чекхдоккху цӀеххьана, Ӏуьйренна тӀера суьйре тӀекхаччалц.</verse>
				<verse number="14">ГӀаргӀулин а, чӀегӀардиган а санна дара сан аз. Кхокхано санна, сагатдора ас. Сан бӀаьргаш гӀийла стигала хьоьжура. Веза Эла, кӀелхьарваккхахьа со! Ма баланехь ву-кх со!“</verse>
				<verse number="15">ХӀун эр ду ас? Везачу Эло ала а элира, Цо иза дан а дира. Сайн дахаран дерриг а шерашкахь собарца лелар ву со, сайн са чохь хилла бала дагахь а латтош.</verse>
				<verse number="16">Хьалдолу Эла, Хьан дешнашца Ӏаш ма бу нах, сан синан дахар Ахь мел дечуьнца доьзна ма ду. Ахь со товеш ву, Ахь суна дахар а лур ду.</verse>
				<verse number="17">Сайн боккхачу баланах суна дика болх хили. Хьайн безамца Ахь эрналлин Ӏинах ларви со. Сан къинош Хьайна тӀехьа тийси Ахь.</verse>
				<verse number="18">ХӀунда аьлча эхарто ца хаставо Хьо, Ӏожалло Хьуна хастам ца бо. Коша чу бирзинчеран дегайовхо яц Хьо царна тешаме хиларх.</verse>
				<verse number="19">Дийна волчо бен Хьо хастор вац, ас Хьо хӀинца хаста-ма-варра. Дайша шайн берашна дуьйцур ду Хьан тешаме хиларх лаьцна.</verse>
				<verse number="20">Везачу Эло со кӀелхьарвоккхур ву. Мерзаш долу пондарш а лоькхуш, оха хастор ву Хьо. Тхаьш дийна мел ду, Везачу Элан цӀа долчохь Иза хастор ву оха».</verse>
				<verse number="21">ЕшаӀ-ЯхӀус аьллера: «Ӏаьвдина инжирийн курс схьа а эций, иза оцу ноткъа ечу меттигна тӀейилла, тӀаккха паччахь товийр ву».</verse>
				<verse number="22">Ткъа Хьузакх-ЯхӀус хаьттинера: «ХӀун билгало хир ю, со Везачу Элан цӀийне гӀур ву аьлла?»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="39">
				<verse number="1">Цу хенахь Бавел-мехкан паччахь волчу Балу-Адданан кӀанта Мардух-Балу-Адданана кехаташ а, совгӀат а дахьийтира Хьузакх-ЯхӀуна, иза цомгуш хиллачул тӀаьхьа товелла аьлла шена хезна дела.</verse>
				<verse number="2">Геланчаш хазахетарца тӀе а эцна, Хьузакх-ЯхӀус царна гайтира шен чӀоь-цӀа чохь мел дерг — дети а, деши а, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а, деза хьакхарш а, герз чохь долу цӀа а, шен хазнашкахь кхин мел карош дерг. Хьузакх-ЯхӀус шен паччахьан цӀа чохь а, шен массо а пачхьалкхехь а царна гайтаза хӀумма а ца дисира.</verse>
				<verse number="3">Юха ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро, Хьузакх-ЯхӀу-паччахь волчу а веана, хаьттира цуьнга: «ХӀун бохура оцу наха? Мичара баьхкинера уьш?» Хьузакх-ЯхӀус жоп делира: «Уьш генарчу Бавел-махкара баьхкинера», — аьлла.</verse>
				<verse number="4">«Хьан цӀа чуьра хӀун гира царна?» — аьлла, хаьттира ЕшаӀ-ЯхӀус. «Сан цӀахь мел долу хӀума а гира царна. Сан хазнаш чохь хӀумма а ца йисна ас царна гайтаза», — элира Хьузакх-ЯхӀус.</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха ЕшаӀ-ЯхӀус элира Хьузакх-ЯхӀуга: «ЛадогӀа, массо а ницкъийн Везачу Эло хӀун боху:</verse>
				<verse number="6">„Цхьа хан йогӀур ю, хьан цӀа чохь мел дерг а, хьан дайша кху дийне кхаччалц гулдинарг а Бавеле дӀахьош. ХӀумма а бухадуьсур дац, — боху Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="7">Ахьа байтина болчу, хьох схьабевллачу хьан кӀентех цхьаберш а дӀабуьгур бу. Бавелан паччахьан цӀахь баьӀна ялхой бийр бу царах“».</verse>
				<verse number="8">Хьузакх-ЯхӀус жоп делира: «Ахь Везачу Элера беана хаам дика бу». Амма шен дагахь цо ойла йира: «Сан дахаран деношкахь машар а, синтем а хир бу» — бохуш.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="40">
				<verse number="1">«Синтем луо, синтем луо Сан халкъана, — боху шун Дала. —</verse>
				<verse number="2">ДӀаала Ярушалайме эсала, дӀахаийта цуьнан халкъе, бала хьегна шераш чекхдевлла хилар, цуьнан къинойх мах дӀабелла хилар. Везачу Элан куьйгах шалха таӀзар тӀеэцна цо дерриг а шен къинойх».</verse>
				<verse number="3">Кхойкхучун аз хезаш ду: «Яьссачу аренгахь Везачу Элана некъ кечбе! Эрначу аренгахь нисде тхан Далла некъан тача!</verse>
				<verse number="4">ХӀора тогӀи хьалайоккхур ю, хӀора лам а, гу а лахабоккхур бу. Харц некъаш нислур ду, доьхнарш шарлур ду.</verse>
				<verse number="5">Везачу Элан сийлалла гучуяьккхина хир ю, ткъа дерриге а адамашна иза гур ю, хӀунда аьлча Везачу Эло Ша аьлла иза».</verse>
				<verse number="6">Озо боху: «ДӀакхайкхаде!» Ас хоьтту: «ХӀун кхайкхо деза ас?» «Кхайкхаде, хӀора адам буц санна ду, цуьнан хазалла арарчу зезагийн санна ю.</verse>
				<verse number="7">Буц а якъало, зезаг а маргӀалдулу, Везачу Эло царна тӀе мох тоьхча. Баккъалла, буц санна, адамаш а ду.</verse>
				<verse number="8">Буц а якъало, зезаг а маргӀалдулу, амма вайн Делан дош гуттар а лаьтташ ду».</verse>
				<verse number="9">Хаза кхаъ бахьаш йолу Цийон, лекхачу лам тӀе хьалаяла! Хаза кхаъ бахьаш йолу Ярушалайм, хьайн аз айдеш, дӀаала чӀоггӀа! ДӀаала, ма кхера! ЯхӀуд-мехкан гӀаланашка дӀаала: «Хьажал, шун Дела схьавогӀуш ву!»</verse>
				<verse number="10">Хьажал, Хьалдолу Эла ницкъаца вогӀуш ву, Цуьнан куьг ду урхалла деш. Цуьнан совгӀат а Цуьнца ду, Цуьнан ял а Цунна хьалха йогӀуш ю.</verse>
				<verse number="11">Цо Ӏалашдийр ду Шен жа, Ӏуьно санна. Ӏахарий караоьцур ду Цо, уьш Шен дага уллохь лелор ду. Узуш дерш а лерина Ӏалашдийр ду Цо.</verse>
				<verse number="12">Канашкахь хи хьан дуьстина, я, ше а лоцуш, стигал хьан юьстина? Лаьттан чан тускар чу хьан ерзийна, я лаьмнаш а, гунаш а терзан тӀехь хьан оьзна?</verse>
				<verse number="13">Везачу Элан хьекъал довза мила кхаьчна? Цуьнан хьехамча санна хьан Ӏамийна Иза?</verse>
				<verse number="14">Хьанах дагаваьлла Веза Эла? Мила ву Цунна къастор луш а, Иза нийсачу новкъа воккхуш а? Мила ву Иза кхетош а, Цунна кхетаман некъ гойтуш а?</verse>
				<verse number="15">Везачу Элана халкъаш хӀумма а йоцург ю, хин тӀадамал бен дац уьш Цунна. Терзанна тӀера ченан буьртиг санна ду уьш. ГӀайренаш, хӀур санна, хьалаойу Цо.</verse>
				<verse number="16">Ливанунан хьаннаш тоьуш яц, Цунна догӀуш долу сагӀанаш цӀера тӀехь даккхархьама. Цигара долу бежанаш а тоьуш дац Цунна догӀуш долчу дийнаташ дагоран сагӀина.</verse>
				<verse number="17">Дерриг а халкъаш Цунна хьалха хӀумма а яц. Уьш хӀумма йоцучу хӀуманал кӀезиг а, даьсса а лоруш ду Цуьнан.</verse>
				<verse number="18">Иштта, хьаьнца вустур вара аш Дела? Цуьнца юста хӀун кеп хир яра шун?</verse>
				<verse number="19">ЦӀунах лаьцна аьлча, пхьеро иза эчигах вутту, ткъа дашо пхьеро цунна тӀе деши а дуьллу, дато зӀенашца иза кеч а во.</verse>
				<verse number="20">Иштта совгӀат дан къен волчо ца телхаш долу дитт хоржу. Цо, говза пхьар а лохий, цуьнга охьа ца вужу волу цӀу войту.</verse>
				<verse number="21">Шуна ца хаьара? Шуна ца хезнера? Юьххьенца дуьйна аьлла дацара шуьга? Латта кхоьллинчхьана дуьйна ца кхеттера шу?</verse>
				<verse number="22">Лаьттан гон тӀехула йолчу Ӏарш тӀехь Ӏаш ву Иза, адамаш цаьпцалгаш санна ду Цунна хьалха. Цо стигал дӀасаяржийна, дуткъа кӀади санна, чохь Ӏан дина четар санна, дӀахӀоттийна иза.</verse>
				<verse number="23">Цо баьччанех хӀумма а йоцург йо, кху лаьттан куьйгалхой тӀепаза бойу.</verse>
				<verse number="24">Уьш дӀа ма-дийггӀи, уьш дӀа ма-дий, цара орамаш ма-хийцци, Везачу Эло царна тӀе Ӏаь туху, уьш маргӀал а дулу, ткъа мохо уьш, ча санна, дӀахьо.</verse>
				<verse number="25">«Со хьаьнца вустур ву аш? Мила ву Соьга кхочуш?» — боху Везачу Дала.</verse>
				<verse number="26">Шайн бӀаьргашца стигала хьалахьовсал! Хьан кхоьллина и дерриге а седарчий? Эскар санна цхьацца арадоккхучо уьш кхоьллина. Цунна церан хӀораннан цӀе хаьа. Цуьнан ницкъ сел боккха хиларна, царах цхьа а вовш вац.</verse>
				<verse number="27">Ахь хӀунда боху, Якъуб, арз хӀунда до, Исраил: «Сан некъ Везачу Элах лачкъийна бу, сан гӀуллакх Далла дицделла», — бохуш?</verse>
				<verse number="28">Хьуна ца хаьа? Хьуна ца хезна? Веза Эла гуттар а волуш волу Дела ву. Цо лаьттан йистош кхоьллина. Иза цкъа а кӀад а ца ло, хӀотта а ца хӀутту. Цуьнан хьекъалх цхьа а кхетар вац.</verse>
				<verse number="29">Цо кӀадвеллачунна ницкъ а ло, хӀоьттинчунна гӀора а ло.</verse>
				<verse number="30">Ур-атталла кегий нах кӀад а ло, хӀотта а хӀутту, ур-атталла къонанаш, гӀел а белла, охьаэга.</verse>
				<verse number="31">Амма Везачу Эле хьоьжуш болчара шайн ницкъ карлабоккху. Аьрзунан тӀемаш шайн хилча санна, уьш лакхахь оьхуш хир бу. Бевдча а, уьш хӀуттур бац, новкъа дӀабахача а, уьш кӀадлур бац.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="41">
				<verse number="1">«Тийна ладогӀа Соьга, хӀордан йистера къаьмнаш! Халкъаша шайн ницкъаш карлабохийла! Улло а даьхкина, дистхуьлийла уьш. ГӀуллакх къасто, цхьаьнатохийла вай.</verse>
				<verse number="2">Малхбалера волу стаг хьан самаваьккхина, иза дӀавахханчохь цуьнга толам а боккхуьйтуш? Цо халкъаш цуьнан кара дӀало, паччахьаш цунна муьтӀахь бойту. Цуьнан туьро царах чан йо, цуьнан Ӏедо уьш дӀасакхуьссу, мохо ча дӀаса ма-кхоссара.</verse>
				<verse number="3">Цо лаьхкина буьгу уьш, иза паргӀат дӀавоьду ша хьалха цкъа а ца ваханчу новкъахула.</verse>
				<verse number="4">Хьан кхочушдина иза, хьан чекхдаьккхина иза? Хинйолу тӀаьхьенаш юьхьанцара дуьйна схьа хьан кхайкхина? Со, Веза Эла, хьалхарниг ву, тӀаьххьарчаьрца а Со изза хир ву.</verse>
				<verse number="5">ХӀордан йистера къаьмнаш, иза а гина, кхераделла ду. Лаьттан йистера халкъаш дегош ду. Уьш схьа а догӀу, схьа а кхочу.</verse>
				<verse number="6">ХӀораммо а шен накъостана гӀо до, шен веше а олу: „ЧӀагӀлолахь!“</verse>
				<verse number="7">Пхьеро дашо пхьар иракарахӀиттаво. ЖӀаьвнаца болх бечо иракарахӀиттаво нуьйжина тӀехь тухуш верг. Латийначух боху: „Дика болх бина!“ Цо хьостамашца цӀу чӀагӀво, иза охьа ца вожийта.</verse>
				<verse number="8">Амма хьо, Сан ялхо долу Исраилан халкъ, Ас хаьржина йолу Якъубан тӀаьхье, Сан доттагӀчун ИбрахӀимах схьадаьлларг, —</verse>
				<verse number="9">Ас лаьттан йистера схьаэцна хьо, генарчу маьӀигашкара Ас схьакхайкхина хьо. Ас аьлла хьоьга: „Хьо Сан ялхо ву“. Ас хаьржина хьо, Ас хьо дӀа ца тесна.</verse>
				<verse number="10">Кхера ма кхера — Со хьоьца ву. Воха ма воха — Со хьан Дела ву. Ас хьо чӀагӀ а дийр ду, хьуна гӀо а дийр ду. Со хьуна гӀортор хилла дӀахӀуттур ву нийсо лелаечу Сайн аьтту куьйгаца.</verse>
				<verse number="11">Хьуна оьгӀазбаханарш юьхьӀаьржачу хӀиттина а, тӀе эхь деана а хир бу. Хьуна дуьхьалбевлларш, хӀумма йоцург а хилла, хӀаллакьхир бу.</verse>
				<verse number="12">Ахь хьайн мостагӀий лехахь а, хьуна уьш карор бац. Хьуна дуьхьал тӀом беш берш, хӀумма а йоцург хилла, дӀабевр бу.</verse>
				<verse number="13">ХӀунда аьлча Со Веза Эла ву, хьан Дела. Хьан аьтту куьг схьа а лаьцна, Ас боху хьоьга: „Ма кхера, Ас хьуна гӀо дийр ду“.</verse>
				<verse number="14">Ма кхера, гӀийла а, кӀезиг а долу Исраилан халкъ, Ас гӀо дийр ду хьуна, — боху Везачу Эло, хьо мах баларца ПаргӀатдоккхучо, Исраилан Везачу Дала. —</verse>
				<verse number="15">Ас хьох ира ялта орург йийр ю. Иза керла а, цергаш йолуш а хир ю. Ахь лаьмнаш, эрина, хьаькхна дӀадохур ду, ткъа гунех кегаш йийр ю.</verse>
				<verse number="16">Ахь ирхдугӀур ду уьш, амма мохо дӀасахьур ду уьш. Ткъа чӀогӀачу мохо, довдийна, къайладохур ду уьш. Юха хьо Везачу Элаца хиларна, самукъадаьлла хир ду, Исраилан Везачу Делах дозалла деш хир ду.</verse>
				<verse number="17">Къенаш а, мисканаш а хи лоьхуш бу, амма иза дац. Церан меттанаш дакъаделла хьогаллина. Амма Ас, Везачу Эло, жоп лур ду царна. Ас, Исраилан Дала, буьтур бац уьш.</verse>
				<verse number="18">Ерзинчу лакхенашкахь хиш дуьйладолуьйтур ду Ас, тогӀешкахь шовданаш хьаладуьйлуьйтур ду. Яьссачу аренах хин Ӏам бийр бу Ас, декъачу лаьттах хин хьостанаш дийр ду.</verse>
				<verse number="19">Яьссачу арахь баган-дитт а, акаци а, турс а, акха зайт а дитташ дугӀур ду. Эрначу аренгахь зез-дитт а, база-дитт а, баганан дитт а дугӀур ду цхьаьний.</verse>
				<verse number="20">Халкъана гайта а, хаийта а, иза хьажийта а, кхетийта а, Везачу Элан куьйго иза динийла, Исраилан Везачу Дала иза кхоьллинийла».</verse>
				<verse number="21">«Къастадайта шайн гӀуллакх», — боху Везачу Эло. «Шайн тоьшаллаш даладе, — боху Якъубан Паччахьо. —</verse>
				<verse number="22">Шайн цӀушка тоьшаллаш даладайта, цаьрга хиндерг дийцийта тхуна. Хиллачух лаьцна тхо кхетадайта цаьрга, цунах лаьцна тхоьга ойланаш яйтархьама а, иза чекх муха дер ду тхуна хаийтархьама а. Я хиндолу хӀуманаш схьакхайкхадайта тхуна.</verse>
				<verse number="23">Ала тхоьга, хӀун хир ду йогӀучу хенахь, тӀаккха тхуна хуур ду, шу деланаш дуйла. Диканиг я вониг цхьаъ де, тхо цецдовлийта а, кхерадалийта а.</verse>
				<verse number="24">Амма шу хӀумма а йоцурш ю, шун гӀуллакхаш а ду пайда боцуш. Шу хоржуш верг а дегаза ву.</verse>
				<verse number="25">Ас къилбаседера стаг самаваьккхина, иза тӀегӀуртуш ву. Малхбалехь а волуш, Сан цӀе къобалйо цо. Цо хьоьшур бу куьйгалхой, хатт санна, кхийра пхьегӀа ечу пхьеро поппар санна, хьуьйр бу уьш.</verse>
				<verse number="26">Юьхьанца дуьйна хьан дийцина цунах лаьцна, вайна иза хаийтархьама? И хӀума хилале хьан дийцина цунах лаьцна, вайга: „Иза бакъ ву“ — алийтархьама? Цхьаммо а ца дийцина цунах лаьцна, иза хир ду а ца аьлла, цхьанна а ца хезна шуьгара дош.</verse>
				<verse number="27">Хьалхарниг санна Ас аьлла Цийоне: „ХӀорш бу хьуна уьш!“ Ярушалайме хаза кхаъ эцна геланча вахийтина Ас.</verse>
				<verse number="28">Со хьаьжира, амма цхьа а вацара, хьехар дала царна юкъахь цхьа а вацара. Ас хаьттинчунна жоп дала цхьа а вацара.</verse>
				<verse number="29">Хьажал, уьш хӀумма а яц! Церан гӀуллакхаш а пайда боцуш ду. Мох а, яьссалла а ю церан цӀуш».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="42">
				<verse number="1">«ХӀара Сан Ялхо ву, Ас чӀагӀвеш волу. Иза Ас хаьржина ву, Цунах воккхавеш ву Со. Сайн Са дуьллур ду Ас Цунна тӀе, Цо халкъашна нийсо схьайоккхур ю.</verse>
				<verse number="2">Цо мохь а хьоькхур бац, Шен аз а айдийр дац. Урамашкахь Шен аз а хозуьйтур дац Цо.</verse>
				<verse number="3">Кагбалла боллуш болу эрз а кагбийр бац Цо, дӀаян гӀерташ сийсаш йогуш йолу милт а дӀайойур яц. Цо баккъалла а нийсо схьайоккхур ю.</verse>
				<verse number="4">Иза гӀел а лур вац, дог эшна а хир вац, лаьтта тӀехь Ша нийсо дӀахӀоттаяллалц. ХӀордан йистера дехаш долу къаьмнаш Цуьнан хьехамах дог тешна хир ду».</verse>
				<verse number="5">Иштта боху, стигал а кхоьллина, иза дӀасаяржийначу а, латта а, цунна тӀехь долу массо хӀума а дӀасадаржийначу а, цунна тӀехула лелачу адамашна садеӀар а, дахар а лучу а Везачу Дала:</verse>
				<verse number="6">«Ас, Везачу Эло, нийсоне хьаьжжина, тӀекхайкхина хьо. Хьан куьг схьалаьцна латтор ду Ас, хьо Ӏалаш а вийр ву. Хьох халкъаца бечу бертан юкъалеларг а, кхечу къаьмнашна серло а йийр ю Аса,</verse>
				<verse number="7">Хьоьга бӀаьрзечарна са гайтийтархьама а, тутмакхаш набахтера арабахийтархьама а, боданехь Ӏаш берш серлонга бахийтархьама а.</verse>
				<verse number="8">Со Веза Эла ву, иза ю Сан цӀе. Сайна йогӀу сийлалла кхечу далла дӀа ца йолуьйту Ас. Сайна богӀу хастам цӀушна ца бойту Ас.</verse>
				<verse number="9">Хьовсал, хьалха аьлларг кхочушхилла. ХӀинца керланиг кхайкхор ду Ас. Иза хилале, Ас хоуьйтур ду шуна».</verse>
				<verse number="10">Везачу Элана керла эшар лакха. Хастам бу Цунна лаьттан йистошкара! Хастам бе Цунна аш, хӀорда тӀехула леларш, хӀорда чуьра дерриг а дийнаташ, хӀордан йистера мехкаш а, царна тӀехь Ӏаш берш а.</verse>
				<verse number="11">Яьссачу арено а, цунна тӀера гӀаланаша а шайн аьзнаш ойийла! Къедархой Ӏаш йолу меттигаш самукъадаьлла хуьлийла! СилаӀ-гӀалара бахархой, хазахеташ, эшарш лоькхуш хуьлийла! лаьмнийн баххьаш тӀера кхайкхамаш бойла!</verse>
				<verse number="12">Везачу Элана сийлалла кхайкхадойла, Цунна хастам бойла хӀордан йистерчу мехкашкахь.</verse>
				<verse number="13">Веза Эла аравер ву, майра стаг санна. ТӀемалочо санна, тӀом баран лаам карзахбоккхур бу Цо. Цо кхайкхам а бийр бу, тӀеман цӀогӀа а тухур ду. Шен ницкъ гойтур бу Цо мостагӀашна тӀехь.</verse>
				<verse number="14">«Дуккха а хенахь вист ца хуьлуш Ӏийра Со, садетташ а, собаре хилла а Ӏийра. Амма хӀинца, бер дечу зудчо санна, Ас мохь хьокхур бу, Сан садукъалур ду.</verse>
				<verse number="15">Ас лаьмнаш а, гунаш а дассор ду, царна тӀера буц а якъор ю. Хиш дӀа а лакъийна, гӀайренаш йийр ю Ас, Ӏаьмнаш а дакъийна дӀахӀиттор ду, хиш дӀа а даьхна.</verse>
				<verse number="16">БӀаьрзенаш царна ца бевзачу новкъахула дӀабуьгур бу Ас, царна ца хууш долчу некъашкахь куьйгалла а дийр ду церан. Боданах царна хьалха серло йийр ю Ас, ситтина некъаш нис а дийр ду. Иза ду Ас церан дуьхьа ден дерг. Уьш дӀатосур бац Ас.</verse>
				<verse number="17">Амма цӀунех тешна Ӏаш берш, цӀушка: „Шу тхан деланаш ду“ бохурш, юхабоьрзур бу, доккха эхь тӀе а деана».</verse>
				<verse number="18">Везачу Эло боху: «ЛадогӀа, къоранаш, хьовса, бӀаьрзенаш, са гархьама!</verse>
				<verse number="19">Мила ву, Сан ялхо санна, бӀаьрзе, Ас вахийтина, Сан геланча санна, къора? Мила ву бӀаьрзе, Ас барт бинарг санна верг? Везачу Элан ялхо санна, бӀаьрзе верг мила ву?</verse>
				<verse number="20">Хьуна дуккха а хӀума гина, амма ахь церан тидам ца бина. Хьан лергаш схьадиллина дара, амма хьуна хӀумма а ца хезна».</verse>
				<verse number="21">Шен нийсонан дуьхьа Везачу Элана лиира, товрат-хьехам айа а, иза хасто а.</verse>
				<verse number="22">Амма хӀара халкъ талор дина ду, нахана тӀера хӀонс схьаяьккхина ду. Уьш массо а Ӏаннашкахь латтош бу, я набахтехь бахкийна къайлабохуш бу. Царах хӀонс хилла, цхьа а вац уьш кӀелхьарбаха. Царах талор хилла, цхьаммо а ца боху: «Схьало уьш юха».</verse>
				<verse number="23">Цу хӀумане хьан ладугӀур ду шух, я тӀейогӀучу заманахь цунна тӀе тидам шух хьан бийр бу?</verse>
				<verse number="24">Хьан дӀаелла Якъубан тӀаьхье, хӀонс санна? Хьан дӀаделла Исраилан халкъ талорхойн кара? Вай Цунна дуьхьал къинош летийначу Везачу Эло ца дина иза? Ца лиира царна Цуьнан некъашкахула лела, Цуьнан хьехамашка ла а ца дуьйгӀира.</verse>
				<verse number="25">Цо царна тӀеюттура Шен оьгӀазалла а, тӀеман къизалла а. Цуьнан оьгӀазалло, цӀеро санна, го лецира церан, амма уьш ца кхийтира хиллачух. Цуьнан дералла царна дуьхьал йогуш яра, амма шайн дегнаш тӀе ца ийцира цара иза.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="43">
				<verse number="1">Якъубан тӀаьхье, хьо кхоьллинчу а, Исраилан халкъ, хьо дӀанисдинчу а Везачу Эло хӀинца иштта боху: «Ма кхера — Ас мах баларца паргӀатдаьккхина халкъ ду хьо. Хьан цӀе а йоккхуш, Ас схьакхайкхина хьоьга — Хьо Сан ду.</verse>
				<verse number="2">Хьо хийх дехьадолучу хенахь, Со хьоьца хир ву. Хьо Ӏоврех дехьадолучу хенахь, хиша хьо дӀакхоьхьур дац. ЦӀерах хьо дехьадолуш, цо хьо дагор дац, цӀеран алунаша хьуна зе дийр дац.</verse>
				<verse number="3">ХӀунда аьлча Со Веза Эла, хьан Дела, Исраилан Веза Дела, хьан КӀелхьардоккхург ву. Ас Мисаран къам дӀало хьан паргӀатонах. Хуша а, Себа а дӀало хьох.</verse>
				<verse number="4">Сан бӀаьргаш чохь деза а, хьоме а хьо хиларна, Хьо Сайна дезарна, хьох нах дӀалур бу Ас, хьан синах халкъаш дӀалур ду.</verse>
				<verse number="5">Ма кхера — Со хьоьца ву! Малхбалера хьан тайпанаш схьадалор ду Ас, малхбузера шу схьагулдийр ду.</verse>
				<verse number="6">Къилбаседе Ас эр ду: „Схьало!“, къилбе а эр ду: „Ма сецабе!“ Юхаберзабе Сан кӀентий генарчу меттигашкара, Сан зудабераш — дуьненан массо а маьӀӀера.</verse>
				<verse number="7">Юхаверзаве хӀорра а Сан цӀарца воьзнарг, Сан сий айархьама Ас кхоьллина волу а, Сайн куьйгашца Ас вина а, кеп елла а волу а».</verse>
				<verse number="8">«Шен бӀаьргаш доллушехь, бӀаьрзе долу а, шен лергаш доллушехь, къора долу а и халкъ арадаккха, — боху Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="9">Массо а халкъаш цхьаьна гулдина а ду, дерриге а къаьмнаш вовшахтоьхна а ду. Церан деланех хьан аьлла хиндолчух лаьцна? Юьхьанцара дуьйна хилларг хьан хаийтина? Шайн тешаш балабайта цаьрга, уьш бакъхилар гайта а, церан дешнаш дӀахезча, кхечеран „Иза бакъ ду“ ала йиш хилийта а.</verse>
				<verse number="10">Шу, исраилхой, Сан тешаш ду, — боху Везачу Эло. — Ас хаьржина Сан ялхо а ду хьо, Исраилан халкъ, шуна Со вовзийтархьама а, шу Сайх тешийтархьама а, Дела Со хиларх шу кхетийтархьама а. Сол хьалха цхьа а дела ца хилла, Сол тӀаьхьа а хир вац.</verse>
				<verse number="11">Со цхьаъ бен Веза Эла вац, Со цхьаъ бен КӀелхьардохург а вац.</verse>
				<verse number="12">Хиндерг дӀа а аьлла, Ас шу кӀелхьардехира, хьалхе дуьйна иза дӀахаийтира Ас. Со-м шуна юкъахь хийраниг вац! — боху Везачу Эло, — Шу Сан тешаш ду Со Дела хиларх.</verse>
				<verse number="13">Дуьххьарлерчу деношкара схьа Со Дела ву. Сан куьйгах цхьаммо а кӀелхьарвоккхур вац. Ас динарг хьаьнга юхадерзалур ду?»</verse>
				<verse number="14">Исраил халкъан Везачу Дала, шу мах баларца паргӀатдаьхначу Везачу Эло, иштта боху: «Шун дуьхьа Ас Бавелна дуьхьал эскар дохуьйтур ду. Берриге а хашадхой, бевдда нах санна, церан дозалла хиллачу кеманашкахь хинехула дӀабуьгур бу Аса.</verse>
				<verse number="15">Со ву Веза Эла, шун Веза Дела, Исраилан халкъ Кхоьллинарг, шун Паччахь».</verse>
				<verse number="16">Иштта боху хӀорда юккъехула некъ биллина волчу, нуьцкъалчу хишна юккъехула тача даьккхина волчу Везачу Эло.</verse>
				<verse number="17">ГӀудалкхаш а, говраш а йолуш долу онда эскар арадаккхийтира Цо, иза хӀаллакьхилийтархьама. Уьш массо а ийгира, кхин цкъа а хьала а ца гӀевттира. Къуьданаш санна, дӀабайра уьш.</verse>
				<verse number="18">Везачу Эло боху: «Хьалха хилла хӀуманаш дага а ма леца, дӀадаьллачух лаьцна ойланаш а ма е.</verse>
				<verse number="19">Хьовсал, Со керланиг деш ву! Иза хӀинцале схьадеана. Шуна ца хаало иза? Ас яьссачу аренгахь некъаш а дохкур ду, эрначу аренгахь татолаш а хоьцур ду.</verse>
				<verse number="20">Акхароша Сан сий до, чангӀалкхаша а, бухӀанаша а Со хаставо, хӀунда аьлча Ас яьссачу аренга хиш даладо, эрначу аренгахь Ас татолаш хоьцу, Айса хаьржинчу Сайн халкъе хи малийтархьама.</verse>
				<verse number="21">И халкъ Ас Сайна кхоьллина, цо Сан сий кхайкхор ду».</verse>
				<verse number="22">Везачу Эло боху: «Хьо Соьга гӀо доьхуш ца кхайкхина, Якъубан тӀаьхье, Сан дуьхьа ахь хьайна хало ца йина, Исраилан халкъ.</verse>
				<verse number="23">Аша дийнаташ дагоран сагӀа даккха уьстагӀий а ца кхехьна Суна, сагӀанаш дахарца Сан ларам а ца бина. Ас шуна кӀен сагӀа даккхар тӀе ца дожийна, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а ца кхехьийтина.</verse>
				<verse number="24">Аш Суна ахчанах хаза хьожа йогӀу эрз а ца эцна, я шайн сагӀанийн дийнатийн мохь ягорца там а ца бина. Мелхо а, къинош леторца аша хало йина Суна, шайн харцонашца Со гӀелвина.</verse>
				<verse number="25">Со-со ву шун къинош дӀадойуш Верг. Ас иза Сайн дуьхьа до. Шун къинош кхин дагадохкуьйтур дац Аса.</verse>
				<verse number="26">Хилларг дагадаийта Суна, цхьаьна къастор ду вай. Дистхила, шу бакъдеш долу бахьанаш даладе.</verse>
				<verse number="27">Хьан хьалхарчу дас къа латийна, хьан баьччанаш а Суна дуьхьалбевлла.</verse>
				<verse number="28">Цундела Ас сийсазбина хьан Дезачу цӀийнан куьйгалхой. Аса дӀаелла Якъубан тӀаьхье, иза хӀаллакьяйтархьама, Аса дӀаделла Исраилан халкъ, цунах кхардийтархьама».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="44">
				<verse number="1">Везачу Эло боху: «ЛадогӀа Соьга хӀинца, Сан ялхо йолу Якъубан тӀаьхье, Ас хаьржина долу Исраилан халкъ, ладогӀа Соьга.</verse>
				<verse number="2">Хьо кхоьллинчу а, ненан кийрахь долуш дуьйна хьо дӀанисдинчу а Везачу Эло иштта боху, ткъа Цо хьуна гӀо дийр ду: „Кхера ма кхера, Сан ялхо йолу Якъубан тӀаьхье, ма кхера, Ас хаьржина долу Сан хьоме халкъ.</verse>
				<verse number="3">Ас хи доссор ду хьогах долчу лаьттана, татолаш хоьцур ду екъачу аренашка. Ас Сайн Деза Са хьан берашна тӀе доссор ду, Сан декъалдар хоьцур ю хьан тӀаьхьенашка.</verse>
				<verse number="4">Бай тӀера буц санна, кхуьур бу уьш, хин йистера акхтаргаш санна, хьалабевр бу.</verse>
				<verse number="5">Цхьаммо ша Везачу Элан ву эр ду, вукхо ша Якъубан лорур ву. Шен куьйга ша Везачу Элан ву аьлла дӀа а яздина, кхоалгӀачо ша Делан Исраилан халкъан лорур ву“».</verse>
				<verse number="6">Иштта боху Везачу Эло, Исраилан халкъан Паччахьо а, и халкъ ПаргӀатдоккхучо а, массо а ницкъийн Везачу Эло: «Со Дуьххьарлерниг а, ТӀаьххьарлераниг а ву, Со воцург, кхин Дела вац.</verse>
				<verse number="7">Ас шира халкъ дӀанисдинчу заманахь дуьйна хилларг Со воцучуьнга кхин хьаьнга кхайкхалур а, дӀадийцалур а, Суна хьалха охьадиллалур а дара? Хиндолчу гӀуллакхех лаьцна аьлча, хиндерг дийцийта цуьнга!</verse>
				<verse number="8">Кхера а ма кхера, доха а ма доха. Ширачу заманахь дуьйна хӀокху хене кхаччалц, дерриг а хиндерг Ас дӀакхайкхийна. Ткъа шу Сан тешаш а ду. Со воцург, кхин Дела вуй? ХӀан-хӀа, кхин цхьа а Тарх яц. Суна ца евза цхьа а».</verse>
				<verse number="9">ЦӀуш беш берш — берриш а хӀумма а йоцу хӀуманаш ю. Царна дукхаезаш йолу хӀуманаш пайда боцуш ю. Оцу цӀуйх тоьшалла дечарна хӀумма а ца го, хӀумма а ца хаало. Уьш юьхьӀаьржачу хӀиттор бу.</verse>
				<verse number="10">Шена цхьа а пайда ца бахьан волу дела хьан вийр ву лалийна воьттинчу цӀунах?</verse>
				<verse number="11">Иза деш верг а, цуьнан уллоранаш а юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу. Пхьераш шаьш а адамаш бен ма дац. Массо а схьа а гулбалийтий, цхьаьна дӀахӀиттийта уьш. Нахала а баьхна, уьш кхоьруш хир бу.</verse>
				<verse number="12">Аьчкапхьеро шен гӀирсаца кӀоранан алу тӀехь болх бо. Цо жӀаьвнашца аьчках цӀунан кеп йо. Цо, шен куьйгийн ницкъ ма-кхоччу, болх бо. Иза мац а ло, гӀоранах а оьшу, хьаг а ло, кӀад а ло.</verse>
				<verse number="13">Дечигпхьеро дечиг тӀехь юстаран тӀийраг кховдайо. Суьртана гонах къоламца сизаш хьокху цо. Уьрсаца дӀа а хедийна, шен гӀирсаца леррина кеп гойту. Дечигах стеган кеп йо цо, хазачу адаман аматехь сурт до цо, и цӀу цхьана цӀа чохь Ӏайтархьама.</verse>
				<verse number="14">Цо баганан дитташ хедадо, шена ножан я зоьзан дитт схьакхоьхьу. Хьуьнан юккъера шена дитташ схьа а хоржу. Цу стага къахьаштонан дитт дӀадугӀу, ткъа догӀано иза доккха хуьлуьйту.</verse>
				<verse number="15">Цу дечигех стагана ягориг хуьлу. Царах цхьа дакъа, цӀе а латийна, вохвала а, бепиг датта а схьаоьцу цо, ткъа вукху декъах цӀу а вой, цунна Ӏибадат до.</verse>
				<verse number="16">Дечиган цхьа дакъа цӀергахь дагадо, цу тӀехь кхача а кечбо, жижиг а дотту, иза вуззалц даа а доу. Цул сов, цӀера уллохь вох а луш, стага олу: «Ма дика ду! Со хӀинца вохвелла. Суна йовхо хаало».</verse>
				<verse number="17">Бухадисинчу дечигах цо дела во, шен цӀу. Цунна Ӏибадат а деш, стага боху: «КӀелхьарваккхахьа со, хьо сан дела ма ву».</verse>
				<verse number="18">Царна хӀумма а ца хаьа, уьш хӀумманах а ца кхета. Церан бӀаьргаш а, дегнаш а дӀакъевлина ду, царна са ца гайта а, церан кхетам ца хилийта а.</verse>
				<verse number="19">Стаг ца кхета, цуьнан хьекъал ца кхочу ала: «Ах дечиг цӀергахь дага а дина, цу тӀехь бепиг а деттина, жижиг а кхерзина ас. Ткъа дисинчух аса дегаза цӀу вийр варий те? Дечиган юьхкана со сужда гӀур варий те?»</verse>
				<verse number="20">Овкъарна тӀаьхьаваьлла лела иза, Ӏехийначу даго харц новкъа ваьккхина иза. Шен са паргӀат а даьккхина, цуьнга ца алало: «Сан аьтту куьйгахь харцо юй теша?»</verse>
				<verse number="21">Везачу Эло боху: «Дагахь латтаде иза, ва Якъубан тӀаьхье, ва Исраилан халкъ, хьо Сан ялхо хиларна. Ас кхоьллина хьо, хьо Сан ялхо ду. Ва Исраил, Суна цкъа а дицлур дац хьо.</verse>
				<verse number="22">Ас хьан зуламаш, дохк санна, дӀадаьхна, Ас хьан къинош, марха санна, дӀадайина. Юхаверза Суна тӀе, хӀунда аьлча Ас мах баларца паргӀатваьккхина хьо».</verse>
				<verse number="23">Хазахетарца, яккхийъейша, стигалаш, хӀунда аьлча Везачу Эло дина иза! Хазахетаран гӀовгӀа яккхийша, лаьттан бухахь йолу меттигаш! Хазахетарца декийша, лаьмнаш, хьаннаш, церан дерриг а дитташ! Якъубан тӀаьхье Везачу Эло паргӀатъяьккхина ю, Исраилан халкъана юкъахь Шен сийлалла гойту Цо.</verse>
				<verse number="24">Хьан ПаргӀатдоккхург а, ненан кийрахь долуш дуьйна хьо дӀанисдинчу а Везачу Эло иштта боху: «Дерриг а хӀума кхоьллина волу Веза Эла ву Со. Ас-Айса дӀасаяржийна стигалш, Сайн ницкъаца латта а дӀадаржийна.</verse>
				<verse number="25">Харцпайхамарийн билгалонаш талхайо Ас, пал тосуш болчийн сонталла гучу а йоккху. Хьекъалчийн хьехам Ас бохабо, церан хьекъалх сонталла а йо.</verse>
				<verse number="26">Сайн ялхойн дешнаш дӀачӀагӀдо Ас, Сайн геланчаша аьлларг кхочуш а до. Ас аьлла Ярушалайме: „Цунна чохь халкъ дехаш хир ду“, ткъа ЯхӀудан гӀаланашка: „Уьш юха а дӀахӀиттийна хир ю, церан къапалгаш Аса юхаметтахӀиттор ю“.</verse>
				<verse number="27">КӀоргачу хине Ас боху: „Дакъало! Ас дӀалакъор ду хьан татолаш“.</verse>
				<verse number="28">Къуреш-паччахьах боху Ас: „Иза Сан Ӏу ву. Цо Сан лаам кхочушбийр бу. Ярушалаймах цо эр ду: ‘ЮхаметтахӀоттае и гӀала!’ Делан цӀийнах эр ду цо: ‘Цуьнан бух дӀахӀоттабе!’“»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="45">
				<verse number="1">Паччахь хила Ша къобалвинчу а, цуьнга халкъаш карадерзадайта а, паччахьашна тӀера гӀаьгӀнаш схьадахийта а, хьалха неӀарш схьаеллаялийта а, кевнаш дӀа ца къовладалийта а цуьнан аьтту куьг Ша схьалаьцначу а Къуреше иштта боху Везачу Эло:</verse>
				<verse number="2">«Со хьуна хьалхаваьлла дӀагӀур ву, лаьмнаш дӀа а шардеш. ЦӀестан кевнаш кегдийр ду Ас, аьчка гӀораш отур ду.</verse>
				<verse number="3">Боданехь Ӏалашъеш йолу хазна а, хьелаш дӀахьулдина къайлаха меттигаш а Ас хьуна дӀалур ю, хьуна хаийтархьама, Со хьан Исраилан халкъан Веза Дела вуйла, хьайн цӀарца хьо Соьга кхайкхина волу.</verse>
				<verse number="4">Сайн ялхочун Якъубан дуьхьа, Айса хаьржинчу Исраилан дуьхьа, хьайн цӀарца хьо схьакхайкхина Ас, сийлаллин цӀе хьуна дӀало Ас, хьуна Со вевзаш вацахь а.</verse>
				<verse number="5">Со Веза Эла ву, Со воцург, кхин дела вац. Ас хьуна ницкъ лур бу, хьуна Со вевзаш вацахь а.</verse>
				<verse number="6">Ас иза дийр ду, массо а нахана массанхьа а, малх хьалагӀоттучу меттера иза дӀабузучу метте кхаччалц, Со воцург кхин дела воцийла хаийтархьама. Со Веза Эла ву, ткъа Со воцург, кхин дела вац.</verse>
				<verse number="7">Со ву серло Йийриг а, бода Кхуллург а, беркат Латториг а, бохам Бийриг а. Ас, Везачу Эло, деш ду и дерриг а хӀуманаш.</verse>
				<verse number="8">Лакхахь йолу стигалаш, хин тӀадамаш санна, мархаш, догӀа санна, нийсо яийтийша охьа. Лаьтто, дӀаса а делладелла, кӀелхьардовлар кхиадайта, цуьнца цхьаьна нийсо а хьалаялийта! Ас, Везачу Эло, кхоьллина иза».</verse>
				<verse number="9">Декъаза ву ша Кхоьллинчуьнца къийсалуш верг, лаьттах йинчу кхабанашна юкъахь цхьаъ бен йоцург! Поппаро куьпчичуьнга хоттур дуй те: «Хьо хӀун деш ву?» Йинчу хӀумано ша йиначух эр дуй те: «Цуьнан куьйгаш дац»?</verse>
				<verse number="10">Декъаза ву дега бохуш верг: «И мила ву, ахь дуьнен тӀе ваьккхинарг?» Я нене бохуш верг: «И мила ву, ахь винарг?»</verse>
				<verse number="11">Иштта боху Исраилан Везачу Дала, иза Кхоьллинчу Везачу Эло: «Сан берийн хиндолчух лаьцна Соьга хетта муха хӀуьтту шу? Сан куьйгаша бан безачу балха тӀехь Суна омра дан муха гӀерта шу?</verse>
				<verse number="12">Со ву латта кхоьллинарг, цунна тӀехь адам а Ас кхоьллина. Сайн куьйгашца стигалш дӀасаяржийна Ас. Малх а, бутт а, седарчий а Сан омрица лелаш ду.</verse>
				<verse number="13">Къуреш карзахваьккхинарг Со ма ву, цуьнгахула нийсо кхочушъяйтархьама. Дерриг а цуьнан некъаш нисдийр ду Ас. Цо Сан гӀала юхаметтахӀоттор ю, йийсаре дӀадигна Сан халкъ паргӀатдер ду, цунах мах я совгӀаташ а ца луш», — боху массо а ницкъийн Везачу Эло.</verse>
				<verse number="14">Везачу Эло иштта боху: «Мисархоша йина хӀуманаш а, хушахойн йохкаэцар а, лекха нах болу себахой а, шун дола а бевлла, шун хир бу. Уьш шуна тӀаьххье дӀабогӀур бу, шайна тӀехь буржалш а долуш. Шуна хьалха охьа а таьӀна, цара дехарца бохур ду: „Дела шуьца билггал ву, Иза воцург, кхин дела вац“».</verse>
				<verse number="15">Билггал Ша къайлавоккхуш волу а, Шен халкъ кӀелхьардаьккхина волу а исраилхойн Дела ву Иза.</verse>
				<verse number="16">ЦӀуш беш берш массо а юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу. Цхьаьна дӀабахар хир ду церан, юьхьӀаьржо тӀеярна.</verse>
				<verse number="17">Исраилан халкъ Везачу Эло кӀелхьардоккхур ду гуттаренна а долчу кӀелхьардаккхарца. ТӀейогӀучу хенахь цкъа а юьхьӀаьржачу хӀуттур дац и халкъ.</verse>
				<verse number="18">Стигалш кхоьллина волу Веза Эла — Иза билггал Дела ву. Латта а кхоьллина, цунна кеп а елла, иза чӀогӀа латтийтира Цо. Эрна дитархьама ца кхоьллина Цо иза, тӀехь адамаш дахийта иза кхоьллина Цо. Оцу Дала боху: «Со Веза Эла ву, кхин цхьа а дела вац, Со воцург.</verse>
				<verse number="19">Ас къайлаха а ца дийцина, я боданечу меттехь а ца дийцина. Якъубан тӀаьхьенах болчаьрга Ас ца аьлла: „Эрна леха Со“. Со бакъдерг дуьйцуш волу Веза Эла ву. Нийса дерг дӀакхайкхадо Ас».</verse>
				<verse number="20">Везачу Эло боху: «Вовшах а кхетий, тӀедуьйла, халкъашна юкъара дийна дисинарш. Сонта бу, дечигах вина шайн цӀу а лелош, шаьш кӀелхьардахалур доцучу деланашка доӀанаш деш берш.</verse>
				<verse number="21">Схьа а дуьйлий, тоьшаллаш дӀакховдаде. ГӀуллакхах лаьцна вовшех дагадовла. Мила ву дукха хенахь дуьйна хьалха иза аьлларг? Мила ву ширачу заманашкахь хиндерг аьлларг? Со, Веза Эла, вац Иза? Со воцург, кхин дела вац, нийсонан Дела а, КӀелхьардохург а. Кхин цхьа а дела вац.</verse>
				<verse number="22">Суна тӀедерза, тӀаккха кӀелхьардевр ду шу, дуьненан массо а маьӀӀера адамаш! Со Дела ву. Со воцург, кхин дела вац.</verse>
				<verse number="23">Сайх чӀагӀо йо Ас, Сан багара схьадолург бакъ ду, Ас аьлла дош хийцалур дац: хӀора а адам Суна хьалха горахӀуттур ду, ткъа хӀора маттахь Со къобалвина хир ву.</verse>
				<verse number="24">Сох лаьцна дуьйцур ду: „Везачу Элехь ю нийсо а, ницкъ а“, — бохуш. Цунна тӀе а баьхкина, юьхьӀаьржачу хӀиттина хир бу Цунна дуьхьалбевлла лелларш.</verse>
				<verse number="25">Исраилан тӀаьхьенах болу берриш а Везачу Эло бакъбина хир бу, Цунах цара дозаллаш дийр ду».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="46">
				<verse number="1">«Вел-харцдела дог доьхна ву, Набу-харцдела охьатаьӀна ву. Оцу деланийн суьрташ хӀинца бежанашна тӀехь дӀахьош ду. Хьалха аша дӀакхехьначарах кӀадделлачу даьхнина беза мохь хилла.</verse>
				<verse number="2">Цхьаьний уьш дог доьхна а, охьатаьӀна а хилла. Шайн суьрташ кӀелхьар ца дахало оцу харцделанашка. ХӀинца уьш шаьш а йийсаре дӀабахана бу!</verse>
				<verse number="3">ЛадогӀа Соьга, Якъубан тӀаьхьенах дерш — Исраилан халкъах дийна мел диснарш. Ненан кийрара схьадевлчхьана дуьйна, Ас карахь лелийна ду шу.</verse>
				<verse number="4">Со шун Дела ву, Ас шун гӀайгӀа бийр бу, шу къандаллалц а, шун месаш къежъяллалц а. Ас кхоьллина ду шу, Ас шу карахь лелор ду. Ас шуна гӀо а дийр ду, шу кӀелхьар а дохур ду.</verse>
				<verse number="5">Аша Со хьаьнца вустур вара? Аша хьанах Со тарволуьйтур вара? Со санна, кхин мила ву?</verse>
				<verse number="6">Наха, шайн бохчанаш схьа а достуш, деши охьахоьцу, терзанаш тӀехь дети узу цара. Дашо пхьере а кхойкхий, шайна цӀу войту цара. Юха, цунна хьалха охьа а теӀаш, Ӏибадат до цара.</verse>
				<verse number="7">Шайн белшаш тӀе а вуьллий, дӀахьо цара цӀу. Шен метта дӀахӀоттаво цара иза, цигахь иза лаьтта. Цигара меттах а ца волуш, лаьтта иза. Цхьаммо шега мохь хьекхахь а, цо дуьхьал жоп а ца ло я вочу балхах цхьа а кӀелхьар а ца воккху.</verse>
				<verse number="8">Дагадаийта иза, латтаде иза шайн коьртехь, шайн дага тӀе эца иза, аьрха нах.</verse>
				<verse number="9">Дагадаийта дуккха а зама хьалха хилларг. Со Дела ву, Со воцург, кхин дела вац, Со Дела ву, Со санна, кхин цхьа а вац.</verse>
				<verse number="10">Юьхьанцара дуьйна чаккхенехь хин дерг дийцина Ас. Ширачу заманашкахь Ас аьлла хӀинца а хилазчух лаьцна. Ас аьлла: Сан Ӏалашо кхочушхир ю, Сайн лаам берг Ас дерриг а дийр ду.</verse>
				<verse number="11">Малхбалера Ас аьрзу схьакхойкхур ю. Генарчу махкара Ас стаг схьакхойкхур ву, Сан Ӏалашо цуьнгахула кхочушъяйтархьама. Айса аьлларг Аса кхочушдойтур ду. Сайна дагадеънарг Аса дийр а ду.</verse>
				<verse number="12">ЛадогӀа Соьга, аьрха адамаш, нийса долчунна генахь дерш.</verse>
				<verse number="13">Ас Сайн нийсо улло схьаеана — иза генахь яц. Ас лун долу кӀелхьардовлар хьелур дац. Цийонна кӀелхьардовлар лур ду Ас, Исраилан халкъана Сайн сийлалла лур ю».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="47">
				<verse number="1">«Чу а йоссий, чена тӀе охьахаа, йоӀстаг санна йолу Бавел-гӀала. Олаллин гӀантан метта, лаьтта тӀе хаа, хашадхойн йоӀ санна йолу гӀала. Хьох кхин цкъа а эр дац ховханиг а, экамниг а.</verse>
				<verse number="2">Хьеран тӀулгаш схьа а эций, дама ахьа! ДӀадаккха хьайн йовлакх, хьалаайае хьайн коч. Голаш гучу а яхий, хийх дехьаяла.</verse>
				<verse number="3">Хьан ерзина хилар гуш хир ду, хьан эхь нахана гучудер ду. Ас бекхам бийр бу, цхьаннах а къинхетам бийр бац».</verse>
				<verse number="4">Вай мехах ПаргӀатдохург Исраилан Веза Дела ву, ткъа Цуьнан цӀе — массо а ницкъийн Веза Эла ю.</verse>
				<verse number="5">Везачу Эло Бавеле боху: «Тийналлехь а Ӏе, бодашка дӀа а гӀо, хашадхойн йоӀ санна йолу гӀала. Кхин цкъа а эр дац хьох пачхьалкхийн зуда-паччахь.</verse>
				<verse number="6">Сайн халкъана оьгӀазвахнера Со, Сайн долахь дерг сийсаздинера Ас. Ас уьш хьан кара дӀаделлера, амма ахь царах къинхетам ца бира. Ур-атталла къанвеллачунна а хьайн деза дукъ тӀедуьллура ахь.</verse>
				<verse number="7">Ахь олура, хьо гуттара а зуда-паччахь хир ю. Амма и хилларш хьайн даг тӀе ца эцна ахь, паччахьаллин чаккхенан ахь ойла ца йина.</verse>
				<verse number="8">ХӀинца ладогӀа, хьолехь ехаш телхинарг. Хьуна моьтту, хьо, кхерамехь а йоцуш, Ӏаш ю. Деле а кхочуш, хьайн даг чохь боху ахь: „Со Дела ву, соьга кхочуш цхьа а вац. Со йисина Ӏаш а хир яц цкъа а, бераш а дайна, ас бала а хьоьгур бац“.</verse>
				<verse number="9">Амма цӀеххьана, цхьана дийнахь, и ший а хӀума хьуна тӀе догӀур ду: хьан майра а, бераш а довр ду. Дерриге а хьан бозбунчаллашка хьаьжна доцуш, Ахь мел лелийначу молханашка хьаьжна доцуш, и хӀуманаш кхоччуш хьуна тӀе догӀур ду.</verse>
				<verse number="10">Хьо хьайн мекарлонех тешна яра. Хьуна моьттура, хьо цхьанна а гур яц. Хьан хьекъалалло а, хаарша а хьо некъах тилийна. Хьо Делаца а нисъеш, хьайн дагахь боху ахь: „Со Дела ву, соьга кхочуш цхьа а вац“.</verse>
				<verse number="11">Амма хьуна тӀе бохам богӀур бу, бозбунчаллица иза дӀабаккха ахь могуьйтур дац. Сингаттам хьоьга кхочур бу, хьан ницкъ кхочур бац иза сацо. Хьуна дагахь а доцуш долу хӀаллакьхилар цӀеххьана догӀур ду хьуна тӀе.</verse>
				<verse number="12">ДӀаӀе айхьа лелочу молханашца а, хьайн дерриге а бозбунчаллашца а, ахь жима йолуш дуьйна лелийна уьш. Цара хьуна гӀо дан а там бу, цара хьан мостагӀий Ӏадо а там бу.</verse>
				<verse number="13">Хьо кӀадъелла, хьайна дукха хьехарш дарна. Хиндерг хаархьама стигалш дӀасайоькъучаьрга а, стигаларчу седарчех дерг толлучаьрга а, хӀора баттахь хьуна хиндерг дуьйцучаьрга а, шайн метта схьа а хӀиттина, хьо кӀелхьаръяккхийта.</verse>
				<verse number="14">Уьш чен юьхкаш санна ю: цӀеро уьш багор бу! Цаьрга ур-атталла шаьш а кӀелхьар ца бахало цӀерах. Ша вохвалархьама кӀоранах йолу цӀе иза хир яц, уллохь хиъна Ӏархьама йолу цӀе иза хир яц.</verse>
				<verse number="15">Церан дуьхьа хьо къахьоьгуш а яра, цаьрца хьо, жима йолуш дуьйна, йохкаэцар лелош а яра, амма хьан дуьхьа цаьрга хӀумма а далур дац. Царах хӀора а шен новкъа дӀавахана, цхьа а ца висна хьо кӀелхьаръяккха».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="48">
				<verse number="1">ЛадогӀа хӀокхуьнга, Якъубан цӀа, ЯхӀудана тӀера схьадогӀуш долу Исраилан тӀаьхье хьайх олуш долу. Ахьа Везачу Элан цӀарах дуй а боу, Исраилан халкъан Везачу Далла Ӏамал а йо — бакъдолчуьнца а, нийсонца а иза ца дахь а.</verse>
				<verse number="2">Аша шаьш езачу гӀалех схьадевлла а, Шен цӀе массо а ницкъийн Веза Эла йолчу, Исраилан халкъан Везачу Делах дозуш ду а боху.</verse>
				<verse number="3">Везачу Эло боху Исраилан халкъе: «Дуккха а хьалха дуьйцура Ас хин долу хӀуманаш. Сан багахула царах лаьцна Ас бохура, нахана Ас уьш дӀахозуьйтура. ЦӀеххьана Со лела волавелира, ткъа и хӀуманаш кхочушхуьлура.</verse>
				<verse number="4">Суна хаьара, хьо къар ца луш дуйла а, хьан вортана тӀера пхенаш аьчка а, хьаж цӀестан дуйла а.</verse>
				<verse number="5">Цундела Ас хьалххе дӀакхайкхадора хьоьга, хиндерг хилла далале. Хьан ала йиш ца хилийта: „И хӀуманаш сан цӀуша дина ду. Дечиган я лалийначу сан суьрто сацам бира и хӀуманаш хилийта“.</verse>
				<verse number="6">Хьуна хезна и дерриг а, хьажал цу тӀе! Ахьа тӀе ца лоцу иза? ХӀинца дуьйна Ас керлачу хӀуманех лаьцна дуьйцур ду хьуна. Ас йовзуьйтур ю хьуна хьалха ца евзина йолу къайленаш.</verse>
				<verse number="7">Тоххара дуьйна дац, уьш хӀинцца кхоьллина ду. ХӀинццалц царах лаьцна хьуна ца хезна. Цундела хьан ала йиш яц: „ХӀаъ, уьш хууш дара суна!“</verse>
				<verse number="8">Хьуна иза хезна а дац, цунах хууш хӀумма а дац. Хьан лергаш хьалха схьадиллина дацара. ХӀунда аьлча Суна хаьара, хьо мел ямарта ву, ненан кийрара схьаваьлчхьана дуьйна, дуьхьалваьлларг ю хьан цӀе.</verse>
				<verse number="9">Сайн цӀе бахьана долуш, Ас юхайоккху Сайн оьгӀазалла. Суна болу хастам бахьана долуш, хьо хӀаллак ца ван Со сецаво Ас.</verse>
				<verse number="10">Хьажал, хьо цӀанъярхьма Ас лалийна хьо, амма дети санна ца лалийна хьо. Ас зийра хьо баланийн кхерчахь.</verse>
				<verse number="11">Аса Сайн дуьхьа до иза — Сайн цӀе емалйойтур яц Ас, Сайн сийлалла цхьанна а дӀалур яц».</verse>
				<verse number="12">Везачу Эло боху: «ЛадогӀа Соьга, Якъубан тӀаьхье, Исраилан халкъ, Ас тӀекхайкхина долу! Со — волуш волу Дела ву, Со Дуьххьарлерниг а, ТӀаьххьарлераниг а ву!</verse>
				<verse number="13">Сан куьйгаша кхоьллина латта, Сан аьтту куьйго дӀасаяржийна стигалш. Ас латта а, стигал а тӀекхайкхича, уьш Суна хьалха хӀуьттур ду.</verse>
				<verse number="14">Схьа а гуллой, ладогӀа, аш массара а! ЦӀушна юкъара хьан аьлла кху хиндолчух лаьцна? Везачу Эло хаьржинчу стага Бавелна дуьхьал йолу Цуьнан Ӏалашо кхочушйийр ю. Хашадхошна тӀехь Шен ницкъ гойтур бу цо.</verse>
				<verse number="15">Со цхьаъ ву вистхилларг а, цуьнга схьакхайкхинарг а. Со ву — иза схьавалориг, цуьнан аьтто хир бу ша арабаьккхинчу новкъахь.</verse>
				<verse number="16">ХӀинца, Суна улло тӀе а дуьйлий, ладогӀа Ас бохучуьнга. Хьалхе дуьйна а ас къайлаха ца дуьйцура. ХӀара хила доладелчхьана а, Со цигахь ву», — иштта боху Везачу Эло, ткъа хӀинца Хьалдолчу Эло ваийтина со Шен Синца.</verse>
				<verse number="17">Иштта боху Везачу Эло, хьо КӀелхьардоккхучо а, Исраилан халкъан Везачу Дала а: «Со Веза Эла ву, хьан Дела, хьуна пайденна дерг Ӏамош волу, хьо ваха везачу новкъа дӀавуьгуш волу.</verse>
				<verse number="18">Ас деш долу омранаш ахь тидаме оьцуш делахьара! ТӀаккха хьан синтем дӀадоьду хи санна хир бара, хьан нийсо хӀордан тулгӀенаш санна хир яра.</verse>
				<verse number="19">Хьан тӀаьхье хир яра гӀум санна дукха, хьох схьабевлларш — гӀамаран буьртигаш санна. Церан цӀе цкъа а йовр яцара, Суна хьалха уьш дӀахедар бацара».</verse>
				<verse number="20">Бавелера арадовла, хашадхойх дӀадовда! Хазахетаран маьхьаршца дӀакхайкхаде иза, массо меттехула дӀасабаржабе и кхаъ: «Везачу Эло мах баларца паргӀатъяьккхина Шен ялхо йолу Якъубан тӀаьхье!» — алий.</verse>
				<verse number="21">Везачу Эло Шен халкъ яьссачу аренехула дӀадуьгучу хенахь, наха хьогаллина бала ца лайна. Дала тархах хи даьккхина царна. Цо тарх екъча, хи охьадоладелла.</verse>
				<verse number="22">«Ӏесачарна машар хир бац», — боху Везачу Эло.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="49">
				<verse number="1">ЛадогӀа соьга, хӀордан йистера долу къаьмнаш, ладогӀа, генахь Ӏаш долу халкъаш! Со дуьнен чу а валале, Везачу Эло тӀекхайкхина Со, ненан кийрахь волчу хенахь дуьйна, Сан цӀе тиллина Цо.</verse>
				<verse number="2">Сан маттах ира тур дина Цо, Шен куьйган ӀиндагӀехь Со Ӏалаш а вина. Сох ирбина пха бина Цо, Шен Ӏад-батта чохь Со лар а вина.</verse>
				<verse number="3">Цо соьга элира: «Хьо Сан Ялхо ву, Исраил саннарг, Хьоьгахула Сайна хастамаш бойтур бу Аса».</verse>
				<verse number="4">Ас элира: «Эрна къахьегна ас! Сайн ницкъ пайдабоцуш кхачийна ас. ХӀетте а, суна кхочург Везачу Элера хир ду, суна доггӀург сан Делера хир ду».</verse>
				<verse number="5">Ткъа хӀинца Шен Ялхо хила а, Якъубан тӀаьхье Шена юхаерзорхьама а, Исраилан халкъ Шена тӀе схьагулдайтархьама а кийрахь дуьйна Со винчу Везачу Эло боху — Везачу Элан бӀаьргашкахь Сан сийдийр ду, ткъа Сан ницкъ Сан Делера бу. —</verse>
				<verse number="6">Цо соьга боху: «Хьо Сан Ялхо хилла Ӏийр вац, Якъубан тайпанаш юхаметтахӀитто а, Исраилан халкъах бухабиснарш цӀа берзо а. Ас хьох кхечу къаьмнашна серло йийр ю, Сан кӀелхьардаккхар дуьненан массо а маьӀӀе кхачийта».</verse>
				<verse number="7">Исраилан халкъ мах баларца ПаргӀатдаьккхинчо, цуьнан Веза Дела волчу Везачу Эло, нахана дегаза хеташ волчу а, къаьмнашна ца везаш волчу а куьйгалхойн Ялхочуьнга иштта боху: «Паччахьаш, Хьо ган а гина, хьалагӀовттур бу ларамца. Паччахьийн кӀентий а, Хьо ган а гина, лохха охьатаьӀар бу, хӀунда аьлча тешаме волчу Везачу Эло, Исраилан халкъан Везачу Дала, хаьржина Хьо».</verse>
				<verse number="8">Везачу Эло боху: «Со реза хуьлучу хенахь Аса жоп лур ду хьуна, Хьо кӀелхьарвоккху хан тӀееача, гӀо дийр ду хьуна. Ас Ӏалаш а, лар а вийр ву Хьо, Хьоьгахула Ас халкъаца барт бийр бу, латта меттахӀотто а, дассаделла дакъош юха шун долахь хилийта а,</verse>
				<verse number="9">йийсаре дӀабигна болчаьрга: „Арадовла!“ — ала а, боданехь болчаьрга: „Гучудовла!“ — ала а. УьстагӀий санна, уьш некъийн йистошкахь бежаш хир бу, дерзинчу гунаш тӀехь церан дежийлаш хир ю.</verse>
				<verse number="10">Уьш цкъа а меца а, хьогах а хир бац. Малхо а, товно а ницкъ бийр бац царна, хӀунда аьлча царах къинхетам беш Волчо дӀабуьгур бу уьш. Цо хин хьостанашна тӀе балор бу уьш.</verse>
				<verse number="11">Ас Сайн массо а лаьмнех тачанаш дийр ду, Сайн массо а коьрта некъаш хьалаойур ду.</verse>
				<verse number="12">Хьовсал, уьш генара схьабогӀур бу — цхьаберш къилбаседехьара, вуьш малхбузехьара, кхиберш Синайм цӀе йолчу махкара».</verse>
				<verse number="13">Йоккхаехьа, стигал! Самукъадаьлла хилахьа, латта! Хазахетаран илли декадейша, лаьмнаш! Везачу Эло Шен халкъан дог оьцу, Цо къинхетам бо гӀело хьоьгучу Шен къомах.</verse>
				<verse number="14">Амма Цийоно элира: «Везачу Эло йити со, Хьалдолчу Элана со йицъелла!»</verse>
				<verse number="15">Везачу Эло жоп делира: «Нанна дицлур дуй те шен декхаш долу бер, ша динчу берах къахета йицлур юй те иза? Нагахь нанна шен бер дицлахь а, Суна цкъа а йицлур яц хьо.</verse>
				<verse number="16">Хьажал, Ас хьан цӀе Сайн куьйгийн кераюккъехь дӀаязйина. Хьан пенаш гуттара а Сан бӀаьргашна хьалха ду.</verse>
				<verse number="17">Хьан кӀентий хьуна тӀе юхаберза сихлуш бу, хьо йохийнарш дӀагӀур бу хьо йолчуьра.</verse>
				<verse number="18">Хьайн корта хьала а айий, гонах дӀасахьажа. Берриг а хьан кӀентий, гул а белла, хьо йолчу цӀа боьрзуш бу! Дийна волчу Сох чӀагӀо йо Ас, — боху Везачу Эло, — зудчун туьтеш санна, цаьрца массаьрца а хазлур ю хьо, нускалан хаза духар санна, уьш хир бу хьуна.</verse>
				<verse number="19">Хьан мохк бохийна а, бассийна а бара, цунах къапалгаш йина яра, ткъа хӀинца иза чӀогӀа жима хир бу цу тӀехь даха хиинчу дебначу хьан халкъана. Хьан мохк дӀакхаьллинарш хьо йолчуьра дӀагӀур бу.</verse>
				<verse number="20">Хьох бераш дӀадаьхначу хенахь халкъана юкъахь динчу бераша хьуна а хезаш, эр ду цхьана дийнахь: „ХӀара меттиг чӀогӀа жима ю, жимма дӀакхалха, со а Ӏайтархьама“.</verse>
				<verse number="21">ТӀаккха хьайн дагахь ахьа эр ду: „Хьан дина суна хӀара бераш? Сох бераш дӀадаьхнера, со уьш хуьлуш а яцара. Со йийсарехь а, махках яьккхина а яра. Хьан кхиийна хӀара бераш? Со массара а цхьа йитина ма яра — хӀара бераш мичахь дара?“»</verse>
				<verse number="22">Хьалдолчу Эло иштта боху: «Хьовсал, Ас халкъашна цхьа билгало лур ю, Сайн байракх ойур ю Ас царна, тӀаккха цара куьйгаш тӀехь шайн кӀентий а, белшаш тӀехь мехкарий а схьабахьар бу.</verse>
				<verse number="23">Паччахьаш дай санна хир бу хьуна, паччахьийн зударий наной санна хир бу. Уьш хьуна хьалха охьатаьӀар бу, цара хьан когашкара чан юур ю. ТӀаккха хуур ду хьуна Со Веза Эла вуйла. Ас гӀо даре сатуьйсуш верг дохковер вац».</verse>
				<verse number="24">Ондачуьнгара ижу схьаяккхалур юй? Къизачу куьйгалхочуьнгара йийсархой схьабахалур буй?</verse>
				<verse number="25">Амма хӀара боху Везачу Эло: «Ондачуьнгара йийсархой а схьабохур бу, къизачу куьйгалхочуьнгара ижу а дӀахоьцур ю. Хьоьца тӀом беш болчаьрца Со тӀом беш хир ву, хьан бераш Ас кӀелхьардохур ду.</verse>
				<verse number="26">Хьуна ницкъ биначаьрга Ас шайн дилха доуьйтур ду. Шайн цӀийно бахор бу уьш, чагӀаро санна. ТӀаккха массо а адамашна хуур ду Со Веза Эла а, хьо КӀелхьарйоккхург а, мах баларца хьо ПаргӀатйоккхург а, Якъубан Нуьцкъалниг а вуйла».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="50">
				<verse number="1">Иштта боху Везачу Эло: «Мичахь ду шун ненан дӀасакъастаран кехат, Ас иза дӀайохуьйтуш цуьнгахь хилла долу? Я Сайна духалург ахча деллачух хьанна доьхкина Ас шу? Шу доьхкина ду, шайн къинош бахьана долуш. Шун зуламаш бахьана долуш, дӀаяхийтина ю шун нана.</verse>
				<verse number="2">Со схьавеанчу хенахь, цхьа а хӀунда вацара? Ас кхайкхича, дуьхьал жоп хӀунда ца делира? Сан куьг дацделла ткъа шуна гӀо дан, я Сан ницкъ дӀабаьлла ткъа шу кӀелхьардаха? Ас Сайн омрица хӀорд бакъабо, хих яьсса аре йо, тӀаккха царна чуьра чӀерий, хи а ца тоьий, дахкало, хьогаллина ле.</verse>
				<verse number="3">Ас стигалш боданехь дӀахьулйо, сингаттаман духар тӀе а тосий».</verse>
				<verse number="4">Хьалдолчу Эло Ӏеминчеран мотт белла Суна, гӀелвеллачунна гӀо даран дош суна довзийтархьама. ХӀора Ӏуьйранна Цо самавоккху Со, дешархочуьнга санна, тидамца соьга ладогӀийта.</verse>
				<verse number="5">Хьалдолчу Эло Сан лергаш схьадиллина, ткъа Со аьрха а вацара, я Со юха а ца велира.</verse>
				<verse number="6">Сайна еттачарна букъ кӀелхӀоттийра Ас, ткъа Сайн маж дӀаийзочарна — беснеш. Ас юьхь дӀа ца лачкъийра, Сайна дов деш а, шеташ етташ а.</verse>
				<verse number="7">Хьалдолчу Эло Суна гӀо дарна, Суна эхь хетар дац. Цундела Ас Сайн юьхь, мокхаз санна, латтайо. Суна хаьа, Со юьхьӀаьржачу хӀуттур воцийла.</verse>
				<verse number="8">Со бакъвеш волу Дела уллохь ву. Мила ву Соьца къовсавала лууш? ДӀахӀоттаве тхойшиъ дуьхь-дуьхьал! Мила ву Со бехкеван лууш верг? ТӀеваийта иза Суна!</verse>
				<verse number="9">Хьалдолчу Эло гӀо до Суна. Хьаьнга ялур ю Суна кхел? Уьш массо а, бедар санна, тишлур бу, нецано йиъна хӀума санна, дӀабевр бу.</verse>
				<verse number="10">Мила ву шуна юкъахь Везачу Эле ларамах вуьзна а, Цуьнан Ялхочо дуьйцучуьнга ладугӀуш а? Бодашкахь, серло а йоцуш, лелаш верг, Везачу Элан цӀарах тешна Ӏаш а хуьлийла, шен Далла тӀетевжаш а хуьлийла.</verse>
				<verse number="11">Ткъа шу, цӀе латош дерш, шаьш латийначу цӀера юккъе гӀо! Догуш долу пхерчий схьаэцнарш, шаьш латийначу пхерчашна юккъехь лела! Иза Сан куьйго дийр ду шуна: Ӏазап а хьоьгуш, охьаховшур ду шу.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="51">
				<verse number="1">Везачу Эло боху: «ЛадогӀа Соьга, нийсонна тӀе гӀертарш, Веза Эла лоьхурш! Шаьш схьахьаькхначу тархе хьовса, шаьш чуьра схьадаьхначу оре хьовса.</verse>
				<verse number="2">Хьовсал шайн дега ИбрахӀиме а, шаьш динчу Сарате а. Ас тӀекхайкхинчу хенахь иза цхьаъ бен вацара, амма иза декъал а вина, бераш а делла, Аса цуьнан тӀаьхье дебийтира.</verse>
				<verse number="3">Иштта Везачу Эло Цийонан догъоьцур ду, цуьнан херцораш юкъахь болчарна синтем а лур бу. Цуьнан яьсса аренаш Ӏедан-беш санна йийр ю, цуьнан эрна аренаш Везачу Элан беш санна йийр ю. Самукъадалар а, хазахетар а хир ду цигахь, баркаллаш бохур ду, эшарш а лоькхур ю.</verse>
				<verse number="4">ЛадогӀа Соьга, Сан халкъ, ладогӀа Ас бохучуьнга: Соьгара товрат-хьехам схьабер бу, Сайн нийсо Ас къаьмнашна серло йина дӀахӀоттор ю.</verse>
				<verse number="5">Сан нийсо гергакхочуш ю, Ас лун долу кӀелхьардаккхар новкъа даьлла ду. Ас-Айса нийсонца олалла дийр ду халкъашна тӀехь. ХӀордан йистера халкъаш хир ду Со варе сатуьйсуш, шайна гӀо ден долчу Сан куьйге хьоьжуш.</verse>
				<verse number="6">Хьалахьовсал стигала, охьахьовсал лаьтта! Стигалш дӀаевр ю, кӀур санна. Латта тишлур ду, бедар санна, цуьнан бахархой а лийр бу, мозий санна. Амма Сан кӀелхьардаккхар гуттар а хир ду. Сан нийсо цкъа а дӀаер яц.</verse>
				<verse number="7">ЛадогӀа Соьга, бакъдерг девзаш дерш, Сан товрат-хьехам шайн дегнашкахь болу халкъ. Наха шайна кхиссарш ярх ма кхера, уьш шайх кхардарх а ма къахка.</verse>
				<verse number="8">Бедар санна, нецано дӀабуур бу уьш, тӀаргӀа санна, нӀаьно дӀакхоллур бу. Ткъа Сан нийсо гуттар а хир ю, Сан кӀелхьардаккхар тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка кхочур ду».</verse>
				<verse number="9">ГӀаттахьа, Веза Эла, гӀо дехьа тхуна! Хьайн ницкъаца тхо кӀелхьардахахьа. ГӀаттахьа, хьалхалерчу заманашкахь санна, дӀаяханчу тӀаьхьенийн деношкахь санна! РахӀаб-саьрмик дӀахедийнарг Хьо вацара ткъа? Цу хӀордан саьрмиках тур Ӏоьттинарг Хьо вацара ткъа?</verse>
				<verse number="10">Ахь ца бакъийна хӀорд, йоккхачу кӀоргаллин хиш, хӀордан бухахула некъ а буьллуш, кӀелхьарбевлларш цунна тӀехула дехьабовлийта?</verse>
				<verse number="11">Ахь мах баларца паргӀатбаьхнарш юхабоьрзур бу. Эшаршца Цийон-лам тӀе богӀур бу уьш, гуттар а долу хазахетар хир ду церан кортош тӀехула. Хазахетар а, самукъадалар а карор ду царна, сингаттам а, даккхий синош дахар а дӀадевр ду.</verse>
				<verse number="12">Везачу Эло боху: «Со-суо ву шун догъоьцуш Верг. Хьо хӀунда кхоьру лийр волчу стагах, буц санна телхачу адамийн кӀантах?</verse>
				<verse number="13">Хьуна хӀунда вицло хьо кхоьллина волу а, стигалш дӀасаяржийна волу а, лаьттан баххаш дӀахӀиттийна волу а Веза Эла? Хьо хӀаллакван кийча волуш волчу, хьуна гӀело ечун дералла бахьана долуш, дерриг а дийнахь хьо хӀунда кхоьруш лаьтта? Мичахь ю хьуна гӀело ечун дералла?</verse>
				<verse number="14">Йийсархо кестта паргӀатвоккхур ву. Иза ор чохь а лийр вац, цунна бепиг ца тоьуш а хир дац.</verse>
				<verse number="15">Со Веза Эла, хьан Дела, ву. Ас хӀорд ловзабоккху, цуьнан тулгӀенашка гӀовгӀа а йойтуш. Сан цӀе массо а ницкъийн Веза Эла ю!</verse>
				<verse number="16">Ас Сайн дешнаш хьан бага дехкина, Сайн куьйган ӀиндагӀехь хьо къайлаваьккхина, хьоьга стигалш дӀасаяржаяйта а, лаьттан баххаш дӀахӀиттадайта а, Цийоне: „Хьо Сан халкъ ду!“ — алийта а».</verse>
				<verse number="17">Самаялахьа, самаялахьа, гӀаттахьа, Ярушалайм! Везачу Элан карара Цуьнан дераллин кад мелла ахь. Кад берриг а бассийна ахь, цо хьо тахкийна.</verse>
				<verse number="18">Ахь мел бинчу кӀенташна юкъахь цхьа а вацара хьо дӀайига. Ахь мел кхиийначу берашна юкъахь цхьа а дацара хьан куьг схьалаца.</verse>
				<verse number="19">Хьуна тӀе ши бохам беана — хьан бийр бу хьуна синтем? ЧӀанадаккхар а, хӀаллакдар а, мацалла а, туьра кӀел дахар а — и дерриге а хьуна тӀе деана — хьан дог Ас хьаьнгахула оьцур ду?</verse>
				<verse number="20">ГӀелбелла хьан кӀентий хӀора ураман гола тухучохь Ӏохкуш бу. РечӀано лаьцна сай санна бу уьш. Уьш Везачу Элан оьгӀазаллах а, хьан Делан къематах а буьзна бу.</verse>
				<verse number="21">ЛадогӀа хӀокху хӀумане, бала хьоьгуш верг а, чагӀар малаза вехна верг а.</verse>
				<verse number="22">Иштта боху хьан Хьалдолчу Эло, Шен халкъ лардеш волчу хьан Дала: «Хьан куьйгара схьаоьцу Ас хьо тахкийна болу кад. Сан дераллах буьзна болчу хӀокху кедара ахь кхин мер дац.</verse>
				<verse number="23">Ас хьуна ницкъ биначеран кара лур бу иза. Цара хьоьга элира: „Охьайижа лаьтта, тхо хьайна тӀехула дӀасалелийта“. Ахь хьайн букъах латта а, урам а бира, нах тӀехула лелийта».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="52">
				<verse number="1">ГӀаттахьа Цийон, гӀаттахьа! Ницкъ хьайна тӀебухахьа! Ва Ярушалайм, ва еза гӀала, хьайн исбаьхьа бедарш тӀеюхахьа! Сунтваза верг а, боьха верг а кхин вогӀур вац хьуна чу.</verse>
				<verse number="2">Хьайна тӀера чан дӀаегаехьа, гӀаттахьа, Ярушалайм! Паччахьан гӀанта тӀе охьахаахьа! Хьайн вортанна тӀера зӀенаш схьаяхахьа, йийсаре лаьцна Цийонан йоӀ!</verse>
				<verse number="3">Везачу Эло хӀара боху шен халкъе: «ХӀумма а йоцучу хӀуманах доьхкина а дара шу, мах а ца луш, оьцур ду шу».</verse>
				<verse number="4">Сан Хьалдолчу Эло иштта боху: «Хьалха Сан халкъ Мисар-махка даханера, цигахь дахархьама. ТӀаьхьо ашурхоша Ӏазапехь даллийра иза.</verse>
				<verse number="5">Ткъа хӀинца хӀун ду Сан кхузахь? — хоьтту Везачу Эло. — Мах а ца луш, йийсаре дӀадигна ду Сан халкъ, ткъа цуьнан куьйгалхой угӀуш бу, — боху Везачу Эло. — Дерриг а дийнахь Сан цӀе емалъеш лаьтташ ю.</verse>
				<verse number="6">Цундела Сан халкъана Сан цӀе евзар ю, цундела царна хуур ду цу дийнахь: „Со хӀара ву!“ — аьлларг Со вуйла».</verse>
				<verse number="7">Машар дӀакхайкхош волчу а, хаза кхаъ бахьаш волчу а, кӀелхьардовлар дӀакхайкхош волчу а, Цийоне: «Хьан Дала паччахьалла до!» олуш волчу а геланчин когаш лаьмнашкахула схьабогӀуш мел хаза ду!</verse>
				<verse number="8">ЛадогӀа! Хьан хехоша шайн аьзнаш айдина, хазахетарца цхьаьний маьхьарий детта цара. Шайн бӀаьргашца го царна, Веза Эла Цийоне юхавоьрзуш.</verse>
				<verse number="9">Яккхийейша, хазахетарца цхьаьна эшарш лакхийша, Ярушалайман херцораш! ХӀунда аьлча Везачу Эло Шен халкъан догъэцна, Цо мах баларца паргӀатъяьккхина Ярушалайм.</verse>
				<verse number="10">Везачу Эло Шен беза пхьарс берзина баьккхина дерриг а халкъашна хьалха. Дуьненан массо а йистошна вайн Дала делла кӀелхьардаккхар гур ду.</verse>
				<verse number="11">ДӀадуьло, дӀадуьло, арадовла цигара! Боьхачух дӀа ма хьакхало. Арадовла цу чуьра, шаьш цӀанде, Везачу Элан пхьегӀаш лелош дерш!</verse>
				<verse number="12">Амма шу меллаша девр ду ара, дӀадовдур дац, хӀунда аьлча Веза Эла гӀур ву шуна хьалхаваьлла. Исраилан халкъан Веза Дела хир ву, шу лардеш, шуна тӀаьхьаваьлла вогӀуш.</verse>
				<verse number="13">Везачу Эло боху: «Хьовсал, Сан Ялхо Ша дечунна тӀехь кхиам болуш хир ву. Иза чӀогӀа лакхаваьккхина а, айвина а хир ву.</verse>
				<verse number="14">Иза гича, дукха адам инзардаьллера, хӀунда аьлча цхьана а адаман йоцучу кепара цӀармата дара Цуьнан сибат, цхьана а стеган ца хуьлу хатӀ дара Цуьнан.</verse>
				<verse number="15">Амма Цо дукха халкъаш инзардохур ду, паччахьаша шайн баганаш дӀакъовлур ю Цунна хьалха. Шайга ца дийцинарг гур ду царна, шайна ца хезначух кхетар бу уьш».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="53">
				<verse number="1">Мила тешна хир вара тхоьгара хезначух? Хьанна гайтина бара Везачу Элан нуьцкъала пхьарс?</verse>
				<verse number="2">Иза Цунна хьалха, ховха маргӀал санна, декъачу лаьттара хьалаболу орам санна, кхиъна ву. Цуьнгахь я куц а, я исбаьхьалла а яцара вайн тидам цунна тӀебахийта. Цуьнга хьаьжча, цхьа а хӀума дацара вай Цунна тӀеозалуш долу.</verse>
				<verse number="3">Нах ца баьшна а, наха дӀатесна а вара Иза. Лазарш хааделла а, эгӀазаллаш евзина а стаг вара Иза. Шена тӀера юьхь дӀаерзаечу стагах санна, Цунах даша а ца даьшна, вай Цуьнан хама а ца бинера.</verse>
				<verse number="4">Амма, вайн эгӀазаллаш тӀе а лаьцна, Цо вайн лазарш дӀадаьхьира. Ткъа вайна моьттура, Иза таӀзар динарг, — Дала тоьхнарг а, Цо ницкъ бинарг а вара.</verse>
				<verse number="5">Вайн аьрхаллина чов йина вара Иза, вайн къиношна хьаьшна вара Иза. Вайна машар бахьаш долу таӀзар дара Цунна тӀехь, ткъа Цуьнан чевнаш бахьана долуш вай тодина лаьтта.</verse>
				<verse number="6">Вай массо а тиладелла уьстагӀий санна дара, хӀора а шен-шен новкъа тӀевирзина вара. Амма Везачу Эло дахкийтина Цунна тӀе вайн массеран а къинош а, бехк а.</verse>
				<verse number="7">Цунна гӀело а йора, ницкъ а бора, амма Шен бага хьала ца гӀаттийра Цо. Урс хьакха дӀабуьгуш болчу Ӏахаро санна, ша лоргучунна хьалха шен Ӏаь ца йолуьйтучу уьстагӀо санна, Шен бага хьала ца гӀаттийра Цо.</verse>
				<verse number="8">Цуьнан гӀуллакх харц къасторна, Иза дӀаваьккхира. Амма Цуьнан тӀаьхьенах лаьцна хьан ойла йора? Дийначеран лаьтта тӀера дӀаваьккхина вара Иза. Сан халкъан къинош бахьанехь Цунна ницкъ бира.</verse>
				<verse number="9">Зуламхошца цхьаьна каш кечдинера Цунна, хьалдерг волчохь дӀавоьллинера Иза, Цо цкъа а къизалла ца йинехь а, Цуьнан багахь харцдерг дацахь а.</verse>
				<verse number="10">Амма Везачу Элан лаамехь дара Иза хьашийта а, Цуьнга баланаш хьегийта а. Нагахь Шен синах Цо гӀуда такхаран сагӀа дахь, тӀаьхьенах берш гур бу Цунна, Цуьнан дахар дах а дийр ду Цо, ткъа Цуьнан куьйгахула кхиамца Везачу Элан лаам кхочушхир бу.</verse>
				<verse number="11">Шен сино бала хьегначул тӀаьхьа, Цунна юха а дахаран серло а гур ю, Шена тосаделлачуьнгахула Ша тӀекхаьчначунна Иза реза а хир ву. Нийсаверг волчу Сан Ялхочо дуккха а нах Суна хьалха бакъбийр бу, церан къинош Шена тӀехь дӀа а хьур ду.</verse>
				<verse number="12">Цундела Ас сийлахьчарна юкъахь дакъа лур ду Цунна, ондачаьрца ижу йоькъур ю Цо, Цо Шен дахар Ӏожаллина дӀадаларна а, зуламхойх Иза дӀатоьхна хиларна а. Цо дуккха а болчеран къинош дӀа а даьхьира, зуламхошна тӀера доӀанаш а дора.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="54">
				<verse number="1">«Мохь хьекха, бер ца хуьлуш ерг, цкъа а бер хилла а йоцург! Хазахетаран цӀогӀа тоха, мохь хьекха, бер хуьлуш лазарша ца хьийзийнарг, хӀунда аьлча йитинчун бераш сов ду, майра волуш йолчун чул», — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="2">«ДӀасашоръе хьайн четар лаьтта меттиг, хьайн хӀусамийн шаршуш дӀаяржае! Юха ма оза! Четар чӀагӀдеш долу машшаш дӀахеца, ткъа машшийн хьостамаш лаьттах чӀагӀде!</verse>
				<verse number="3">ХӀунда аьлча хьо аьтту а, аьрру а агӀор дӀасаяьржар ю. Хьан тӀаьхьенах болчара халкъаш карадерзор ду, яссийна церан гӀаланаш хьалаюзур ю.</verse>
				<verse number="4">Кхера ма кхера — кхин юьхьӀаьржачу хӀуттур яц хьо. Эхь хеташ ма хила — кхин аьшнаш йийр яц хьо. Хьайн жимачу хенахь юьхьӀаьржачу хӀоттар дицлур ду хьуна, хьайн йисина Ӏаш сий дайна хилар дага а догӀур дац хьуна.</verse>
				<verse number="5">Хьо Кхоьллинарг ву хьан майра — Цуьнан цӀе массо а ницкъийн Веза Эла ю. Хьо ПаргӀатъяьккхинарг Исраилан халкъан Веза Дела ву, Цунах дерриге а лаьттан Дела олу.</verse>
				<verse number="6">Везачу Эло кхойкху хьоьга, йитина а, дог доьхна а йолчу зудчуьнга санна, жимачу хенахь ялийна а, юха дӀатесна а йолчу зудчуьнга санна, — боху хьан Дала. —</verse>
				<verse number="7">КӀеззигчу ханна Ас йитинера хьо, амма боккхачу къинхетамца Ас юхаялор ю хьо.</verse>
				<verse number="8">ОьгӀазваханчохь Сайн юьхь хьох къайлаяьккхинера Ас, амма хедар боцучу безамца Ас къинхетам бийр бу хьох», — боху хьо КӀелхьарйоккхуш волчу Везачу Эло.</verse>
				<verse number="9">«Суна иза Нохьин деношкахь санна ду. Цу хенахь Ас чӀагӀо йира, кхин цкъа а лаьтта тӀе Нохьин хиш дер дац аьлла. ХӀинца Ас чӀагӀо йо кхин хьуна оьгӀаз ца ваха а, бехкаш ца даха а.</verse>
				<verse number="10">Лаьмнаш дегадахь а, гунаш меттахдовлахь а, Сан хьоьга болу хедар боцу безам дӀабер бац, Сан хьоьца бина машаран барт меттахбер бац», — боху хьох къинхетам беш волчу Везачу Эло.</verse>
				<verse number="11">«Пекъар йолу, мохо дӀасалестош йолу, шена синтем ца бина йолу гӀала! Ас-Айса хьан тӀулгаш поппарца дуттур ду, хьан бух саппир-тӀулгех буттур бу,</verse>
				<verse number="12">хьан бӀаьвнаш рубинех йийр ю, кевнаш — къегачу жовхӀарех, ткъа дерриг а пенаш дезачу тӀулгех дуттур ду.</verse>
				<verse number="13">Везачу Эло Ӏамор бу хьан берриг а кӀентий, церан машар а, беркат а доккха хир ду.</verse>
				<verse number="14">Нийсонна тӀехь чӀагӀйина хир ю хьо. Ӏазап дар хьуна генадер ду, хьо кхера оьшуш хӀумма а дац. Къемат хьуна генадер ду, иза хьуна улло догӀур дац.</verse>
				<verse number="15">Нагахь хьуна тӀе цхьаъ латахь а, иза Соьгара хир дац. Милла а хьох латахь а, иза ша вужур ву.</verse>
				<verse number="16">Хьажал, Ас аьчка пхьар кхоьллина, цо, алу алсам а йоккхий, балхана догӀуш долу герз кечдо. Ткъа иштта Ас кхуллу хӀаллакдийриг а, цуьнга адамаш хӀаллакдайтархьама.</verse>
				<verse number="17">Хьуна дуьхьал даьккхинчу цхьана а герзо хьуна зулам дийр дац. Хьо бехке вечу муьлххачу а маттана дуьхьало ялур ю хьоьга. Иза Везачу Элан ялхойн тӀаьхье ю, Соьгара долу церан бакъдар ду», — боху Везачу Эло.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="55">
				<verse number="1">Везачу Эло боху: «Ва дерриге а хьогах дерш, хиш тӀе схьадуьйла! Ва шайгахь ахча доцурш, схьадуьйла, эца, яа! Схьадуьйла, дети доцуш эца, ахча а ца луш, чагӀар а, шура а эца!</verse>
				<verse number="2">Аш хӀунда луш ду ахча шайна пайденна доцучух? Мах а луш, меца хӀунда дуьсуш ду шу? Дика Соьга ла а догӀий, мерзаниг дӀадаа, тӀаккха аша тоьллачу кхачанах дезар оьцур ду.</verse>
				<verse number="3">ХӀинца тидам бе, Суна тӀедуьйла! ЛадогӀа Соьга, шайн синош дахийтархьама! Ас гуттар а хин болу барт бийр бу шуьца, Даудана лур ду аьлла долу тешаме диканаш лур ду шуна.</verse>
				<verse number="4">Хьовсал, Ас Цунах дуккха а халкъашна теш вира, тхьамда а, куьйгалхо а вира царна.</verse>
				<verse number="5">Хьайна девзаш доцу халкъаш тӀекхойкхур ду ахь, хӀинццалц царна хьо а ца девзара. Уьш хьуна тӀекхача сихлур бу, хьан Везачу Делан, Исраилан халкъан Везачу Делан, дуьхьа, хӀунда аьлча Цо хьан сий лакхадаьккхина».</verse>
				<verse number="6">Лаха Веза Эла Иза каро мегачу хенахь. Кхайкха Цуьнга, Иза уллохь волчу хенахь.</verse>
				<verse number="7">Ӏесачо шен некъ буьтийла, ткъа къинош летийначо — шен ойланаш. Везачу Элана тӀевоьрзийла иза — Цо цунах къинхетам бийр бу — Вайн Далла тӀе, хӀунда аьлча Цо комаьршаллица нахана гечдийр ду.</verse>
				<verse number="8">«Сан ойланаш шун ойланаш яц, шун некъаш Сан некъаш дац, — боху Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="9">Стигалш лаьттал лекха ма-хиллара, Сан некъаш а ду шун некъел лекха, Сан ойланаш а ю шун ойланел лекха.</verse>
				<verse number="10">ДогӀа а, ло а, стигалара охьа а догӀий, цара латта даша а дой, цу тӀехь хьаладолург кхуьуьйту, ялта дӀадуьйш волчунна хӀу а, юуш волчунна юург а хуьлуьйтуш. ТӀаккха бен уьш стигала юха ца доьрзу.</verse>
				<verse number="11">Иштта ду Сан багара схьадолу дош а — иза даьсса юха ца доьрзу Суна тӀе. Цо Суна луург кхочушдо, Ас даийтина дош Ӏалашоне кхочу.</verse>
				<verse number="12">Делахь, шу самукъадаларца арадевр ду, машарца новкъа а дохур ду. Лаьмнаша а, гунаша а шуна хьалха эшарш лоькхур ю, аренашкарчу дитташа шайн тӀараш деттар ду.</verse>
				<verse number="13">Коканийн метта, зоьзан дитт хьаладер ду. КӀохцалийн метта, миртан дитт хьалагӀур ду. И дерриг а хир ду Веза Эла дагаваийтарна а, гуттаренна йолчу а, дӀаер йоцучу а билгалонна а».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="56">
				<verse number="1">Везачу Эло иштта боху: «Бакъдерг лар а де, нийсо а лелае, хӀунда аьлча Сан кӀелхьардахар гергакхаьчна, Сан нийсо кестта гучуйоккхур ю.</verse>
				<verse number="2">Декъала ву Далла лерина шоьтан де, иза сийсаз а ца доккхуш, лардеш верг а, шен куьг муьлххачу а вочу балхах лардеш верг а. Декъала ву иштта лелаш волу стаг а, иза кхочушдан схьалаьцна адам а».</verse>
				<verse number="3">Везачу Элана тӀаьхьахӀоьттина волчу кхечу къоман стага ма олийла: «Везачу Эло со билггал Шен халкъах дӀакъастор ву». ВаьӀна волчо а ма олийла: «Со дакъаделла дитт бен дац».</verse>
				<verse number="4">Везачу Эло иштта боху: «Сан шоьтан денош лоручу а, Суна лууш дерг хоржучу а, Соьца бина барт ларбечу а баьӀначарна</verse>
				<verse number="5">Сайн цӀа чохь а, цуьнан пенаш юккъехь а дагадоуьйтийла дӀахӀоттор ю Аса, ткъа нехан кӀентий а, мехкарий а дуьнен чу бовлучул а дика хир ю иза. Абаденналц йолу а, хедар йоцу а цӀе лур ю Ас царна».</verse>
				<verse number="6">Везачу Элана гӀуллакх дан а, Цуьнан цӀе еза а, Цуьнан ялхой хила а Цунна тӀаьхьахӀиттина болу, шоьтан денош лардеш а, Соьца бина барт чӀогӀа лоруш а болу кхечу къаьмнех берш</verse>
				<verse number="7">буьгур бу Ас Сайн безачу лам тӀе. ДоӀанаш дечу Сайн цӀа чохь хазахетар дийр ду Ас царна. СагӀа доккхучу Сан кхерча тӀехь дохуш долу дийнаташ дагоран а, кхидолу а церан сагӀанаш тӀеоьцур ду Ас, хӀунда аьлча Сан цӀа доӀанаш ден цӀа олуш хир ду, массо а къаьмнашна лерина долу.</verse>
				<verse number="8">ДӀасабаьржина болу исраилхой схьагулбеш волчу Хьалдолчу Эло боху: «Гулбинчарна тӀе кхин а гулбийр бу Ас».</verse>
				<verse number="9">Аренан массо а акхарой, схьаюьйла! Хьуьнан массо а акхарой, схьаюьйла, дӀадаа!</verse>
				<verse number="10">Исраилхойн хехой бӀаьрзе а, хӀумма а ца хууш а бу, уьш берриш а мотт ца хуу жӀаьлеш ду, лата а ца хууш, Ӏахка а Ӏохкуш, гӀенаш а гуш, набъяр а дезаш.</verse>
				<verse number="11">Уьш Ӏебар доцу а, сутара а жӀаьлеш ду. Уьш кхетам боцу Ӏуй бу: массо а шен новкъа дӀавирзина ву, хӀора а шена пайда лоьхуш ву.</verse>
				<verse number="12">«Схьадуьйла, — боху цара, — суна чагӀар карор ду! Маларца дехар ду вай! Кхана а тахана хилларг хир ду, кхин сов а».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="57">
				<verse number="1">Делан лаамехь верг хӀаллакьхуьлу, ткъа цхьанна а дагах ца кхета иза. Далла тешаме нах бахарна тӀера дӀабоху, амма цхьа а ца кхета — Делан лаамехь верг дӀакхолхуьйту, цунна зулам ца хилийтархьама.</verse>
				<verse number="2">Нийсачу новкъахула лелларш паргӀатоне кхочур бу, царна синтем карор бу шайн Ӏожаллин меттахь.</verse>
				<verse number="3">«Амма шу — тӀедуьйла кхуза, зуда-бозбунчин бераш, нахаца лелачу стеган а, кхахьпанан а хӀу!</verse>
				<verse number="4">Шу хьанах кхаьрдаш ду? Хьанах доьлу шу, мотт ара а бохуш? Зуламан бераш а, аьшпаш буьттучийн тӀаьхье а яц шу?</verse>
				<verse number="5">Нежнашна юкъахь а, хӀора луьстачу дитта кӀелахь а цӀушца боьзна болчу хьарамчу лаамех дуьзна ду шу. Татолашна йистехь а, тархашна кӀелахь а берашна арсаш хьоькхуш ду шу.</verse>
				<verse number="6">Хьан дакъа татолийн шерачу тӀулгаш юкъахь ду. Уьш хьан кхаж бу. ЦӀуш лоруш болчу оцу тӀулгашна чагӀаран а, кӀен а сагӀанаш доху ахь. Оцунна реза хуьлийла дуй Со?</verse>
				<verse number="7">Лекхачу а, хьалабаьккхинчу а лам тӀе хӀоттабо ахь хьайн маьнга, цига хьалайолу хьо сагӀа даккха.</verse>
				<verse number="8">НеӀарна а, гурана а тӀехьа хӀиттайо ахь цӀуйн билгалонаш. Сох дӀа а йоьрзий, ерзина а йолий, метта йолу хьо. Хьайца дӀабийшинчаьрца барт бо ахь цаьргара мах баккха. Цаьрга а хьоьжуш, хьайн хьарамчу лаамах там хуьлу хьуна.</verse>
				<verse number="9">Хаза хьожа йогӀу хьакхар а эцна, хьо Мулка-цӀунна тӀе йогӀу. Ахь хьайн хьакхарш алсамдоху. Хьайн геланчаш генна дӀабохуьйту ахь — ур-атталла эхарте кхаччалц уьш буьссуьйтуш.</verse>
				<verse number="10">Бехха некъ барна, хьо кӀадло, амма ахь ца олу: „Дог дохийла а дац!“ Хьан гӀора юха а меттахӀутту, цундела хьуна гӀелъялар ца хаало.</verse>
				<verse number="11">Хьо хьанах кхераелла сел чӀогӀа, тешаме ца хиллал а, Со, виц а вина, хьайн дага чохь ца виттал а? Со вехха вист а ца хуьлуш Ӏерна, дуй те хьан Сох цакхерар?</verse>
				<verse number="12">Ас хьан нийсо а, хьан гӀуллакхаш а дӀагойтур ду хьуна — царах хьуна пайда бер бац.</verse>
				<verse number="13">Ахь, гӀо доьхуш, орца даьккхича, хьан цӀуйн жӀугано кӀелхьарйоккхур юй те хьо? Уьш массо а мохо дӀахьур бу, хӀоно дӀасабохур бу. Ткъа Сох тешначунна латта а кхочур ду, Сан беза лам цуьнан дола а бер бу».</verse>
				<verse number="14">Везачу Эло элира: «Хьалаайина некъ богӀа! Кеч а бе, дӀа а нисбе некъ. ДӀаяккха Сан халкъана хьалхара дуьхьало».</verse>
				<verse number="15">ХӀунда аьлча иштта боху Лекхачо а, Лакхаваьккхинчо а, абаденналц Вехаш Волчо а — Везаниг ю Цуьнан цӀе: «Со лекхачу а, езачу а меттехь Ӏаш ву. Дог доьхнарш а, синца муьтӀахь берш а бу Соьца. Ас синца муьтӀахь болчеран са метта а далор ду, дог доьхначеран дог метта а далор ду.</verse>
				<verse number="16">Со даим а хир вац шу бехке деш а, шуна оьгӀазъоьхуш а. Со иштта хилча, муьлхха а са Суна хьалха гӀеллур дара, Ӏаь а тухуш, Ас мел кхоьллинарг лаьттар дацара.</verse>
				<verse number="17">Халкъан къилахь йолу сутаралла бахьанехь, Со оьгӀаз а оьхура, цунна таӀзар а дора Аса, Сайн юьхь къайла а йоккхура, эргӀад а вуьйлура, амма иза, Сох дӀа а дирзина, шен даго хаьржинчу новкъахула дӀадахара.</verse>
				<verse number="18">Суна гина цуьнан некъаш, амма Ас тодийр ду иза. Ас иза дӀа а лелор ду, халкъах гӀайгӀа ечарна синтем а бийр бу.</verse>
				<verse number="19">Нехан баганашкахь Суна лерина болу хастам кхуллур бу Ас. Уггар дика машар лур бу Ас генарчарна а, уллорачарна а, — боху Везачу Эло. — Ас тодийр ду халкъ.</verse>
				<verse number="20">Ӏеса нах ловзабаьлла хӀорд санна бу. И хӀорд дӀа ца тоь, цуьнан хиша сазз а, хатт а аратуьйсу.</verse>
				<verse number="21">Ӏесачарна машар хир бац», — боху сан Дала.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="58">
				<verse number="1">Везачу Эло боху: «ЧӀоггӀа мохь хьакха, сеца ма сеца. Хьайн аз айде, коьман маӀах тардеш. Сан халкъана цуьнан зуламаш а, Якъубан тӀаьхьенна цуьнан къинош а дӀахаийта.</verse>
				<verse number="2">Цара хӀора дийнахь лоьху Со. Сан некъаш довза а лууш долуш санна а, нийсонца лелаш долуш санна а, шен Делан лаамаш дӀа ца тосуш долуш санна а долу халкъ ду иза. Цара нийсонца гӀуллакх къасторах хоьтту Соьга, Далла гергакхача лууш санна а бу уьш».</verse>
				<verse number="3">Наха хоьтту: «Оха марха кхобу, Хьуна хӀунда ца го иза? Тхо кӀезиг хилар гойту оха, цуьнан тидам хӀунда ца бо Ахь?» Везачу Эло боху цаьрга: «Шаьш марха кхобучу дийнахь шайн лаам кхочушбо аш, кхечарна а хала белхаш бар тӀедуьллу.</verse>
				<verse number="4">Марха а кхобуш, аш девнаш доху, эгӀа а оьгӀу, иштта буйнаш детташ лета. Лакхахь шайн аз хазийтархьама, ца кхобу аш цу хенахь марха.</verse>
				<verse number="5">Иштта дуй те Суна лууш долу марха, стага шена ницкъ бен а, маргӀало санна, шен корта охьатаӀабен а, шена кӀел сингаттаман бедарш а, чим а туьйсу де? Цунах олу ахь марха долу а, Везачу Элана дезаш долу а де?</verse>
				<verse number="6">ХӀара ду Суна лууш долу марха: харцонан гӀоьмаш дӀаяха, дезачу дуькъан машшаш дӀадаста, Ӏазапехь берш паргӀатбаха, муьлхха а дукъ дохаде,</verse>
				<verse number="7">мецачуьнца хьайн бепиг декъа, бевлла лела миска нах хьайн цӀа чу бига, верзинчунна тӀе бедар юха, хьайн гергарчух дӀа ма лачкъа.</verse>
				<verse number="8">ТӀаккха хьан серло, сахуьлучу хенахь санна, гучуер ю, хьан товалар сихха хир ду, хьан нийсо хьуна хьалхаяьлла дӀагӀур ю, Везачу Элан сийлалла а тӀаьхьадогӀур ду хьуна.</verse>
				<verse number="9">Ахь кхайкхича, Везачу Элана хезар ду, ахь орца даьккхича, Цо эр ду: „Со кхузахь ву!“ Ахь хьо волчуьра Ӏазап латтор дӀа а даккхахь, пӀелг айарца стаг бехкеван а, стаг сийсазвеш долу къамел а сацадахь,</verse>
				<verse number="10">доллучу синца мецачунна яа хӀума а лахь, гӀело ловш волчун дог а эцахь, тӀаккха хьан серло кхетар ю боданехь, хьан бода делкъе санна хир бу.</verse>
				<verse number="11">Веза Эла гуттар а хьан тхьамда хир ву. Цо, йокъа хӀоьттича, хьуна оьшург латтор ду, хьан даьӀахкаш чӀагӀйийр ю, тӀаккха хьо хих Ӏабийна беш санна а, цкъа а хи ца кхачош долу хьоста санна а хир ву.</verse>
				<verse number="12">Хьан халкъо юхаметтахӀиттор ю шира херцораш, юха а дӀахӀиттор ду дуккха а тӀаьхьенаша дитина цӀенойн баххаш. Хьох пенаш тодеш верг а, херцийна урамаш, цигахь Ӏархьама, юхаметтахӀиттош верг а эр ду».</verse>
				<verse number="13">«Нагахь шоьтан дийнан дуьхьа, хьайна дан тамехь хета гӀуллакхаш а ца деш, Сан дезачу дийнахь куьг-ког ахь лардахь, шоьтан дийнах зовкх хьоьгу а, Везачу Элан деза а де ахь алахь, иза лоруш, цу дийнахь гуттара а айхьа деш долу гӀуллакхаш а ца деш, хьайна тамехь дерг а ца лоьхуш, эрна хабарш а ца дуьйцуш, хьо хилахь,</verse>
				<verse number="14">хьуна Везачу Элаца хиларан хазахетар карор ду. Ас хьо лаьттан лакхенашка хьалавоккхур ву, Якъубана, хьан дена кхаьчна болчу махке зовкх хьоьгуьйтур ду». Хаа ду шуна, Везачу Эло аьлла ду иза.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="59">
				<verse number="1">Хьажал, Везачу Элан куьг шу кӀелхьар ца даххал доца дац. Цуьнан лерг шу ца хаззал къевлина дац.</verse>
				<verse number="2">Амма шун харцонаша шуна а, шун Далла а юккъе херо ялийтина. Аша летийначу къиноша Цуьнан юьхь шуьгахьара дӀаерзийтина, ткъа цу бахьаненна Цунна шу ца хеза!</verse>
				<verse number="3">ХӀунда аьлча шун куьйгаш цӀийно бехдина ду, шун пӀелгаш — къиноша. Шун баганаша харцдерг дуьйцу, шун матто зуламениг дуьйцу.</verse>
				<verse number="4">Бакъдолчуьнгахьа цхьаммо а аз ца айдо, нийсонца гӀуллакх цхьаммо а ца къастадо. Даьссачу дешнех а доьзна, цара харцдерг дуьйцу, зуламе хӀума дола а дой, бохам боккху.</verse>
				<verse number="5">Лаьхьанан хӀоаш тевна дохкий а Ӏа, маша а бузу цара. Церан хӀоаш диънарг лийр ву, нагахь уьш дохадахь, царна чуьра лаьхьа арабер бу.</verse>
				<verse number="6">Церан бедаршна маша пайденна бац, шаьш динарг тӀедухалур дац цаьрга. Церан гӀуллакхаш харцонан гӀуллакхаш ду, ницкъбар ду цара лелош дерг.</verse>
				<verse number="7">Зуламна тӀебовду церан когаш, бехк боцучун цӀий Ӏано сихло уьш. Ӏеса ю церан ойланаш, дохор а, хӀаллакьхилар а ду церан некъаш тӀехь.</verse>
				<verse number="8">Машаран некъ царна ца бевза, нийсо яц уьш лелачохь. Церан некъаш ситтина ду, царна тӀехула воьдучунна цхьанна а машар ца бевза.</verse>
				<verse number="9">Цундела нийса кхел яр ду вайна генахь, нийсо вайна тӀе ца кхочу. Вай серлоне сатуьйсу, амма бода тӀебогӀу, сирлачу къагаре хьоьжу, амма Ӏаьржачу боданехь лела.</verse>
				<verse number="10">БӀаьрзенаш санна, пен а лоьцуш, бӀаьргаш доцуш санна, мича доьлху а ца хууш лела вай. Дийнан делкъехь тийсало, маьркӀажхан йолуш санна. Ондачарна юкъахь, делларш санна ду вай.</verse>
				<verse number="11">Черчий санна, Ӏоьху вай, кхокхарчаша санна, узарш до. Нийса кхел яре хьоьжу вай, амма иза яц, кӀелхьардовларе сатуьйсу, амма иза вайна генахь ду.</verse>
				<verse number="12">ХӀунда аьлча Хьуна хьалха тхан зуламаш дукха ду, тхан къиноша тхуна дуьхьал тоьшалла до. Оха дина зуламаш тхоьца ду, тхайн харцонаш тхуна евза.</verse>
				<verse number="13">Веза Эла волчу Хьуна дуьхьал а девлла, Хьо Ӏехийра оха. Тхайн Делах дӀадирзира тхо. Ницкъбарх а, аьрхаллах а лаьцна дуьйцу оха. Тхайн дегнашкахь кхоьллина харц дешнаш арадовлуьйту оха.</verse>
				<verse number="14">Бакъдерг лелор юхатеттина ду, ткъа нийсо генахь лаьтташ ю, хӀунда аьлча билггала дерг урамашкахь тасаделира, ткъа хьаналла чу ца ян елира.</verse>
				<verse number="15">Билггала дерг цхьанхьа а карош дац, ткъа зуламна гена ваьллачунна бохам хуьлу. Везачу Элана гира иза, ткъа Цунна тамехь дацара нийсо цахилар.</verse>
				<verse number="16">Цунна гира цхьа а цахилар, Иза цецвелира гӀо доккхуш цхьа а цахиларх. Цуьнан Шен куьйго болх бира уьш кӀелхьарбохуш, Цуьнан нийсоно гӀо дора Цунна.</verse>
				<verse number="17">Цо Шена тӀе, гӀагӀ санна, бакъдерг диллира, Шен коьрта тӀе кӀелхьардаккхаран гӀем а тиллира, бекхаман оба, бедар санна, тӀеоьллира, дог иракарахӀотторца Шен дегӀ хьулдира.</verse>
				<verse number="18">Цара динчуьнга хьаьжжина, Цо Шена дуьхьалбевллачарна дералла гойтур ю, мостагӀашна бекхам бийр бу, хӀордан йистерчу халкъашна а царна доггӀург дӀалур ду.</verse>
				<verse number="19">Малхбузехь Везачу Элан цӀарах нах кхералур бу, ткъа малхбалехь — Цуьнан сийлаллех. Сиха догӀу хи санна, схьавогӀур ву Иза, Везачу Элан хӀоно дӀаэккхош волу.</verse>
				<verse number="20">«Цийонна а, зулам лелорна тӀера дӀайирзинчу Якъубан тӀаьхьенах болчарна а ПаргӀатбохург вогӀур ву, — боху Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="21">Сох лаьцна аьлча, цаьрца болу Сан барт хӀара бу, — боху Везачу Эло. — Сан Са а, хьуна тӀехь долу, Сан дешнаш а, Ас хьан бага дехкина долу, хьан багара а, хьан берийн а, церан тӀаьхьенийн а багара хӀинца дуьйна абаденналц дӀадевр дац», — боху Везачу Эло.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="60">
				<verse number="1">«ГӀаттахьа, серлаялахьа, Ярушалайм, хьан серло схьа ма еана, Везачу Элан сийлалла хьуна тӀехула хьала ма яьлла!</verse>
				<verse number="2">Хьажал, бодано латта дӀахьулдийр ду, халкъаш а Ӏаьржачу боданна кӀел гӀур ду, амма хьуна тӀехула Веза Эла садаржаран серлонехь гӀоттур ву, Цуьнан сийлалла хир ю хьуна тӀехь.</verse>
				<verse number="3">Хьан серлонна тӀе халкъаш догӀур ду, паччахьаш — хьан садаржаран сирлаллина тӀе.</verse>
				<verse number="4">Хьайн корта хьала а айий, гонах хьажа: уьш массо а, гул а белла, хьуна тӀебогӀуш бу. Хьан кӀентий генара схьабогӀуш бу, карахь хьан мехкарий а бахьаш.</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха, хьайна иза гича, хазахетар ду хьуна, хьан дог, тохаделла, шорлур ду. ХӀордан хьал хьан карадогӀур ду, халкъийн долахь дерг хьуна тӀе доьрзур ду.</verse>
				<verse number="6">Эмкалийн ковранаша дӀалоцур ду хьан латта, къона эмкалш хир ю Маданера а, Ӏейпера а яьхкина. Уьш ерриш а Шеба-махкара, деши а, хаза хьожа йогӀу хьакхарш а дахьаш, йогӀур ю. Везачу Элан сийлахь гӀуллакхаш кхайкхор ду схьабаьхкинчу наха.</verse>
				<verse number="7">Къедархойн дерриге а жаш хьо йолчохь схьагулдийр ду, набуятихойн коьмаша хьан гӀуллакх дийр ду. СагӀа доккху Сан кхерча тӀехь тамехь долу сагӀа хир ду царах, иштта Сайн исбаьхьаллин цӀийнан сийдийр ду Ас.</verse>
				<verse number="8">Мархаш санна а, шайн баннаш тӀе доьлху кхокхарчий санна а, тӀемаяьлла йоьдург хӀун ю?</verse>
				<verse number="9">Иштта, Соьга хьоьжуш хӀордан йистера халкъаш ду, ткъа царал хьалха Таршашан хӀордкеманаш ду, генара шун кӀентий цӀа балош догӀуш долу. Цара дахьаш дети а, деши а ду Везачу Элан, хьан Делан, Исраилан халкъан Везачу Делан дуьхьа, хӀунда аьлча Цо хьан сий айина.</verse>
				<verse number="10">Кхечу мехкашкарчу наха хьан пенаш дуттур ду, церан паччахьаша хьуна гӀуллакх дийр ду. Со оьгӀазвахча, Ас таӀзар дора хьуна, амма хӀинца Сайн дикаллица хьоьца къинхетаме хир ву Со.</verse>
				<verse number="11">Хьан кевнаш гуттар а диллина хир ду, уьш дийнахь а, буса а дӀакъовлур дац, халкъийн хьал хьуна чудаийта а, церан паччахьаш схьабалабайта а.</verse>
				<verse number="12">Ткъа хьуна гӀуллакх ца до пачхьалкхаш а, халкъаш а чекхдовллалц хӀаллакдийр ду.</verse>
				<verse number="13">Ливанун-махкара сийлахь дитташ — зоьзан а, базанан а, баганан а цхьаьний — хьуна схьадахьар ду. Цаьрца хаздийр ду Сан деза цӀа, тӀаккха Ас сийдийр ду Сайн когийн меттиган.</verse>
				<verse number="14">Хьуна гӀело йиначеран кӀентий, муьтӀахь хиларца хьо йолчу а баьхкина, хьан когашка охьаоьгур бу. Хьох ца бешаш хиллачара хьох эр ду Везачу Элан гӀала а, Исраилан халкъан Везачу Делан Цийон а.</verse>
				<verse number="15">Хьо дӀатесна а, ца езаш а, цхьа а хьуна чухула чекх а ца волуш хиларан метта, Ас йийр ю хьох гуттаренна а исбаьхьалла а, тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка хазахетар а долу гӀала.</verse>
				<verse number="16">Халкъаша а, паччахьаша а юзор ю хьо, нанас дакхош долу бер санна. Хьуна хуур ду Веза Эла волу Со, хьо КӀелхьарйоккхург а, хьо мах баларца ПаргӀатйоккхург а, Якъубан Нуьцкъалниг а вуйла.</verse>
				<verse number="17">ЦӀастанан метта, Ас деши дахьар ду хьуна, эчиган метта, дети а, дечиган метта, цӀаста а, тӀулгийн метта, эчиг а дахьар ду. Машар хир бу хьан куьйгалхо, нийсо хир ю хьан тӀехьожург.</verse>
				<verse number="18">Ницкъбар кхин хир дац хьан лаьтта тӀехь, дохор а, хӀаллакдар а — хьан дозанашкахь. Хьайн пенех ахь КӀелхьарвалар эр ду, ткъа хьайн кевнах — Хастам.</verse>
				<verse number="19">Хьуна дийнахь серло луш малх а кхин хир бац, батто буьйсанна шен нур а лепор дац, хӀунда аьлча Веза Эла хир ву хьуна гуттар а серло луш, хьан Дела хир ву хьуна исбаьхьалла хилла лаьтташ.</verse>
				<verse number="20">Хьан малх цкъа а дӀабузур бац, бутт кхин къайла а бер бац, хӀунда аьлча Веза Эла хир ву хьуна гуттар а серло луш. Хьан баланийн денош чекхдевр ду.</verse>
				<verse number="21">Дерриг а хьан халкъ, нийсонца а лелаш, абаденналц лаьттан дола деш хир ду. И халкъ Ас доьгӀна синтар ду, Сан куьйгийн болх бу, Сан исбаьхьалла хьалаяккха кхоьллина ду.</verse>
				<verse number="22">КӀезигчух эзар адам схьадер ду, уггар гӀийлачух — онда халкъ. Со ву Веза Эла. Шен хеннахь Ас сихдийр ду иза хилийта».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="61">
				<verse number="1">Хьалдолчу Элан Са дагца ду Сан, хӀунда аьлча Везачу Эло Со къобалвина мискачарна хаза кхаъ кхайкхо. Цо хьажийна Со дог доьхначарна дарба дан, йийсархошна паргӀатдовлар кхайкхо, тутмакхаш набахтера арабаха,</verse>
				<verse number="2">Везачу Эло диканца леладо шо а, вайн Делан бекхаман де а кхайкхо, гӀайгӀанехь мел болчеран догъэца,</verse>
				<verse number="3">Цийонехь гӀайгӀа ечарна хазахетар тилла — чиман метта, царна таж лур ду, белхаран метта, самукъадалар лур ду, эшначу синан метта — хастаман духар. Царах эр ду нийсонан нежнаш, Шен исбаьхьалла дӀагайтархьама, Везачу Эло доьгӀна долу.</verse>
				<verse number="4">Цара шира херцораш юхаметтахӀиттор ю, тоххара дуьйна йохийна меттигаш тойийр ю. Дуккха а тӀаьхьенашкара дуьйна яссийна лаьтташ йолу гӀаланаш карлайохур ю цара.</verse>
				<verse number="5">Кхечу мехкашкарчу наха шун жаш дажор ду. Хийра нах хир бу шун латта лелош а, кемсаш кхиош а.</verse>
				<verse number="6">Ткъа шух Везачу Элан динан дай эр ду, вайн Далла гӀуллакх деш берш аьлла, цӀе йоккхур ю. Халкъийн хьоло кхобур ду шу, церан дозаллех аш куралла йийр ю.</verse>
				<verse number="7">Шун юьхьӀаьржачу хӀоттаран метта лаьттан шозза дакъа лур ду шуна. Шу сийсаздахаран метта шайга кхаьчначух даккхийдеш хир ду шу. Иштта, шун махкахь шозза дакъа лур ду шуна, гуттаренна а долу хазахетар хир ду шун.</verse>
				<verse number="8">«ХӀунда аьлча Суна, Везачу Элана, нийса кхелъяр деза, ницкъбарца долу талор ца деза. Тешаме а волуш, Ас совгӀат лур ду царна, гуттаренна болу барт а бийр бу цаьрца.</verse>
				<verse number="9">Царах схьабевлларш къаьмнашна юкъахь бевзаш хир бу, ткъа церан тӀаьхье халкъашна юкъахь евзаш хир ю. Уьш мел гуш болчарна хуур ду, Везачу Эло декъалдина халкъ иза дуйла».</verse>
				<verse number="10">Сайн Везачу Элах йоккхаеш хир ю со, сан са хир ду сайн Делах доккхадеш. Цо кӀелхьардаккхаран бедарш юьйхина суна тӀе, Цо нийсонан оба суна тӀе хьулйина, зудаялочо динан дайн чалба коьрта тӀе тиллича санна а, нускало жовхӀаршца ша хазъян санна а.</verse>
				<verse number="11">Лаьтто шен ялта кхиоре терра а, бешо стоьмаш хьалабахаре терра а, Везачу Эло нийсо кхуьуьйтур а ю, массо а халкъашна хьалха Шена хастамаш бойтур а бу.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="62">
				<verse number="1">Цийонан дуьхьа дӀасоцур вац со, Ярушалайман дуьхьа тийна Ӏийр вац, цуьнан нийсо, Ӏуьйренан серло санна, гӀатталц, цуьнан кӀелхьаръялар, хаьштиг санна, серлаяллалц.</verse>
				<verse number="2">Халкъашна хьан нийсо гур ю, массо а паччахьашна — хьан сийлалла. Хьуна керла цӀе туьллур ю, Везачу Элан багара схьаер ю и цӀе.</verse>
				<verse number="3">Везачу Элан карахь сийлаллин таж хир ду хьо, хьайн Делан кераюккъехь паччахьийн чалба хир ю.</verse>
				<verse number="4">Кхин эр дац хьох «Йитинарг», я хьан лаьттах кхин эр дац «ДӀатесна дерг». Хьан цӀе хир ю «Дала цунах зовкх хьоьгу», ткъа хьан лаьттах «Долахь дерг» эр ду, Везачу Эло хьох зовкх хьоьгур долу дела, хьан лаьттан Цо дола дийр долу дела.</verse>
				<verse number="5">Жимачу стага йоӀстаг ма-яллора, хьан кӀенташа хьан дола дийр ду. Зудаялош верг шен нускалх воккхавеш ма-хиллара, иштта хьан Дела а хьох воккхавеш хир ву.</verse>
				<verse number="6">Хьан пенаш тӀехь хехой хӀиттор бу Ас, Ярушалайм. Уьш дийнахь а, буса а тийна хир бац. Шу, Везачу Эле кхойкхуш дерш, дист а ца хуьлуш ма Ӏелаш.</verse>
				<verse number="7">Цуьнга са ма даӀийта, Цо Ярушалайм юхаметтахӀоттаяллалц, цунах Цо дуьненан сийлалла яллалц.</verse>
				<verse number="8">Везачу Эло чӀагӀо йина Шен аьтту куьйгах а, Шен нуьцкъалчу пхьаьрсах а: «Хьан ялта кхин лур дац Ас хьан мостагӀашна кхачанна, кхечу къаьмнийн наха хьан чагӀар а мер дац, ахь шена тӀехь болх бина долу.</verse>
				<verse number="9">Кемсаш кхиочара юур ю уьш, Везачу Элана хастам бийр бу цара. Кемсаш лахьочара мер ду чагӀар Сан дезачу цӀийнан керташкахь».</verse>
				<verse number="10">Схьадуьйла, кевнах чекхдовла! Халкъана некъ кечбе! Хьалаайина бе и некъ! Оьшуш доцу тӀулгаш дӀадаха! Хьалаайа байракх къаьмнашна!</verse>
				<verse number="11">Везачу Эло кхайкхадо дуьненан йистошка кхаччалц: «ДӀаала Цийонан йоӀе: „Хьажал, хьо КӀелхьарйоккхург ву вогӀуш! Хьажал, хьо КӀелхьарйоккхург ву вогӀуш! Цуьнан совгӀат а Цуьнца ду, Цуьнан ял а Цунна хьалха йогӀуш ю“».</verse>
				<verse number="12">«Везачу Эло паргӀатдаьккхина, деза халкъ» эр ду царах, ткъа хьох «Лехна йолу а, дӀатесна йоцу а гӀала» эр ду.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="63">
				<verse number="1">И Эдомера вогӀург мила ву? Мила ву иза, цӀен оба а юьйхина, Бацарера вогӀург? Мила ву иза сел сийлахь верг оцу Шен духарца, берриг а Шен ницкъаца сел онда верг? «Со ву иза, нийсонца олуш верг, адамаш кӀелхьардаха нуьцкъала а волуш».</verse>
				<verse number="2">Хьан бедарш цӀен хӀунда ю, муттдоккхургахь кемсаш хьешначийн санна?</verse>
				<verse number="3">«Со цхьаъ бен вацара кемсаш хьуьйчохь, халкъашна юкъара цхьа а вацара Соьца. Ас Сайн оьгӀазаллица хьийшира уьш, Сайн дераллица этира уьш. Церан цӀий Сан обанна тӀе детталора, иштта Сайн бедар бехйина Ас.</verse>
				<verse number="4">Бекхаман де Сан даг чохь дара, Ас чӀир екхаран шо тӀекхаьчна.</verse>
				<verse number="5">Со хьийжира, амма гӀоьнча вацара. Со цецвелира, гӀо лоцуш стаг ца хиларна. Амма Сан куьйго гӀо дира Суна, Сан дералло Суна накъосталла дира.</verse>
				<verse number="6">Сайн оьгӀазаллица Ас къаьмнаш хьаьшира. Сайн дераллица уьш даха а дина, церан цӀий лаьтта охьадоьттира Ас».</verse>
				<verse number="7">Ас хьахор ду Везачу Элан безаме гӀуллакхаш а, Цунна хастам бан хьакъ долу гӀуллакхаш а. Тхоьца Ша къинхетаме хиларна а, Шен хедар боцу безам боккха хиларна а, Везачу Эло тхуна мел динарг хьахор ду ас, Исраилан халкъана Цо мел дина диканиг а.</verse>
				<verse number="8">Цо элира: «Иза Сан халкъ ду, мекарлонца лелар доцу бераш ду уьш». ТӀаккха Иза церан КӀелхьардоккхург хилира.</verse>
				<verse number="9">Цара мел хьегначу баланашкахь, Цо а бала хьегна. Цуьнан уллорачу малико кӀелхьарбаьхна уьш. Шен безамца а, къинхетамца а Цо паргӀатбаьхна уьш. Цо, схьа а эцна, дерриге а ширачу заманашкахь лелийна уьш.</verse>
				<verse number="10">Амма цара, дуьхьал а бевлла, халахетар дира Цуьнан Дезачу Синна. Цундела Цунах церан мостагӀа хилира: Иза Ша цаьрца тӀом беш дара.</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха Цуьнан къомана Муса а, цуьнца болу нах а баьхна хьалхалера денош дагадаьхкира: «Мичахь ву Шен уьстагӀий Ӏуйшца хӀордах дехьадаьхнарг? Мичахь ву Мусана чу Шен Деза Са диллинарг?</verse>
				<verse number="12">Мичахь ву Мусана аьтту куьйгахь хила Шен исбаьхьа а, нуьцкъала а куьг дахийтинарг, халкъана хьалха хи дӀасадекънарг, абаденналц Шен цӀе гӀараяккхархьама?</verse>
				<verse number="13">Мичахь ву уьш Ӏаннашкахула дӀабигнарг?» Шерачу арахула дӀаюьгу говр санна бара уьш, тийса а ца луш, дӀабоьлхуш.</verse>
				<verse number="14">ТогӀи чу буссу бажа санна, Везачу Элан Сино садаӀа буьгуш бара уьш. Иштта Хьайн халкъ дӀадуьгура Ахь, Хьайн сийлахь цӀе гӀараяккхархьама.</verse>
				<verse number="15">Стигалара охьахьажахьа, Хьайн деза а, сийлаллин а долчу цӀа чуьра схьахьажахьа: Хьан леррина хилар а, ницкъ а мичахь бу? Хьан боккха гӀайгӀа а, ницкъ а мичахь бу? Хьан эсалалла а, тхоьга болу къинхетам а сецна бу.</verse>
				<verse number="16">Хьо-м тхан Да ву, ИбрахӀимна тхо ца довзахь а, Исраилан халкъо тхо къобал ца дахь а. Хьо ву, Веза Эла, тхан Да, тоххара дуьйна а Хьан цӀе «Тхан ПаргӀатдохург» ю.</verse>
				<verse number="17">Хьайн некъаш тӀера тхо гал хӀунда довлийтира Ахь, Веза Эла? Хьайна хьалха ларамах дуьзна ца хиллал чӀогӀа тхан дегнаш чӀагӀ хӀунда далийтира? Юхаверзахьа тхо долчу Хьайн ялхойн дуьхьа — Хьайн долахь долчу къоман тайпанийн дуьхьа.</verse>
				<verse number="18">КӀеззигчу хенахь бен Хьан халкъан долахь ца хилира Хьан еза меттиг. Ткъа хӀинца тхан мостагӀаша хьаьшира Хьан деза цӀа.</verse>
				<verse number="19">Ахь тхан дола цкъа а ца дича санна, Хьан цӀе тхоьца ца йоьзча санна хилла дӀахӀиттира тхо.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="64">
				<verse number="1">Стигалш а этӀийна, хьо чувоссахьара! Лаьмнаш дегор дара Хьуна хьалха.</verse>
				<verse number="2">ЧӀешах цӀе латийча санна а, цӀеро хи кхехкийча санна а, Хьан мостагӀашна Хьан цӀе йовзийта, Хьуна хьалха къаьмнаш дегадайта!</verse>
				<verse number="3">Тхо хьоьжуш доцу а, ларамах дузуьйтуш долу а гӀуллакхаш Ахь дича, Хьо чу а воьссира, лаьмнаш Хьуна хьалха дега а дира.</verse>
				<verse number="4">Азалера дуьйна лергана а ца хезнера, цхьанна хаа ца велира, бӀаьргана а ца гинера кхин Дела, Хьо воцург, Шега хьоьжуш болчеран дуьхьа леладеш волу.</verse>
				<verse number="5">Самукъадаларца бакъдерг кхочушдеш волчунна а, Хьан некъаш дагахь латтош волчунна а гӀо дан вогӀу Хьо. Амма Хьо оьгӀазвахара тхуна, хӀунда аьлча тхо дукха хенахь дуьйна къинош летош дара. Тхо кӀелхьар муха девр ду?</verse>
				<verse number="6">Далла хьалха тхо дерриш а бехвелла стаг санна хилла дӀахӀиттина, оха мел дина бакъахьара гӀуллакхаш дегаза горгамаш санна ду. Тхо массо а, гӀа санна, маргӀалдулу, тхан къиноша, мохо санна, дӀахьо тхо.</verse>
				<verse number="7">ДоӀанехь Хьоьга кхойкхуш я Хьох катоха гӀерташ цхьа а вац. Цундела Хьайн юьхь тхох къайлаяьккхина Ахь, тхайн къинош бахьанехь тхо хӀаллакьхила а дуьтуш.</verse>
				<verse number="8">Амма, Веза Эла, Хьо тхан Да ву. Тхо поппар бу, ткъа Хьо куьпчи ву — тхо массо а Ахь кхоьллина ду.</verse>
				<verse number="9">Веза Эла, ма гӀохьа оьгӀаз барам боцуш, абаденналц тхан къинош дагахь а ма латтадехьа. Схьахьажахьа: тхо массо а Хьан халкъ ма ду.</verse>
				<verse number="10">Хьан езачу гӀаланех яьсса аре хилла. Цийонах яьсса аре хилла, Ярушалайм яссаелла.</verse>
				<verse number="11">ЦӀергахь дагийна ду тхо долчохь хилла Делан цӀа, тхан дайша шена чохь Хьо хестийна а, деза а, исбаьхьа а долу. Оха лерина а, езна а ерриг а меттигаш хӀинца йохийна Ӏохкуш ю.</verse>
				<verse number="12">Веза Эла, и дерриг а хиллачул тӀаьхьа а ӀадӀийр ву Хьо? Вист ца хуьлуш а, тхуна барам боцуш таӀзар деш а хир ву Хьо?</verse>
			</chapter>
			<chapter number="65">
				<verse number="1">«Сох лаьцна ца хоьттучарна Со вовзийтина Аса, Со ца лехначарна Со карийна. Сайн цӀаре доӀанца кхойкхуш доцчу халкъе: „Со кхузахь ву! Хьуна гӀо дан кийча ву!“ — баьхна Ас.</verse>
				<verse number="2">Дийнахь сарралц Сайн куьйгаш вочу новкъахула шайн лаамашца леллачу къар ца лучу халкъе а кховдийна, Ӏийна Со.</verse>
				<verse number="3">Даим цу халкъо юьхь-дуьххьал сийсазво Со, езачу бошмашкахь сагӀанаш а дохуш, кибарчигех кечйиначу меттигашна тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀума а ягош,</verse>
				<verse number="4">къуббанаш юкъахь а Ӏаш, къайлахчу меттигашкахь буьйсанаш а йохуш. Цара хьакхин жижиг а доу, хьарамчу кхачанах йина чорпа а ю церан еш чохь.</verse>
				<verse number="5">Цара боху кхечаьрга: „Совца, суна тӀе ма дуьйла, со дукха веза ву шуна хьалха!“ Уьш Ас хьожа йоккхуш болу кӀур бу, дерриг а дийнахь йогуш йолу цӀе ю.</verse>
				<verse number="6">ХӀара ду Суна хьалха яздина дерг: „Со вист ца хуьлуш Ӏийр вац, Ас бекхам бийр бу. Ас дӀалур ду царна</verse>
				<verse number="7">цара а, церан дайша а летийнчу къиношна доггӀуш дерг, — боху Везачу Эло. — Цара лаьмнаш тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀума ягайора, гунаш тӀехь Со сийсазвохура. Цара хьалха лелийначу гӀуллакхашна доггӀург Ас токхур ду царна“».</verse>
				<verse number="8">Иштта боху Везачу Эло: «Кемсийн хорханехь мутта долчу хенахь олу: „Йоха ма е иза, цхьадолу диканиг цунна чохь хила мега дела“. Изза дийр ду Ас Сайн ялхойн дуьхьа, массо а хӀаллак ца вархьама.</verse>
				<verse number="9">Якъубах Ас тӀаьхье хуьлуьйтур ю, ЯхӀудан тайпанах Сан лаьмнаш кхочунверг схьаволуьйтур ву Ас. Ас хаьржинчеран долахь хир бу уьш, Сан ялхой Ӏийр бу цигахь.</verse>
				<verse number="10">Суна уллохь хилар лоьхуш долчу Сан халкъан дуьхьа уьстагӀийн дежийла хир ю Шарон-аре, ткъа бежано садоӀу меттиг хир ю Ӏахур-тогӀи.</verse>
				<verse number="11">Ткъа шу, Со дӀа а тесна, Сан беза лам биц а бина, Гада-цӀунна кхача кечбеш дерш а, Мени-цӀунна чагӀаран кад луш дерш а,</verse>
				<verse number="12">Ас туьра кӀел дохуьйтур ду. Шу массо а дойур ду, хӀунда аьлча Ас кхайкхича, аша жоп ца делира, Ас къамел дича, аша ла ца дуьйгӀира. Суна зуламе хеташ дерг а деш, Суна цадезарг хоржуш а дара шу».</verse>
				<verse number="13">Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: «Сан ялхоша юур ю, ткъа шу меца Ӏийр ду, Сан ялхоша мер ду, ткъа шу хьогах хир ду,</verse>
				<verse number="14">Сан ялхой самукъадоккхуш хир бу, ткъа шу эхьехь хир ду, Сан ялхоша эшарш лоькхур ю, дегнаш чохь хазахетар хиларна, ткъа аша маьхьарий хьоькхур ду, дегнаш чохь сингаттам хиларна, шу доьлхур ду, синош эшна хиларна.</verse>
				<verse number="15">Аш йитина хир йолу цӀе неӀалт кхайкхош долчу хенахь лелош хир ю Ас хаьржинчу халкъо. Хьалдолчу Эло хӀаллакдийр ду шу, ткъа Шен ялхошна кхин цӀе туьллур ю Цо.</verse>
				<verse number="16">Лаьтта тӀехь шена декъалвар доьхуш волчо бакъдолчун Дала ша декъалвар доьхур ду. Лаьтта тӀехь дуй бууш волчо а бакъдолчун Делах дуй буур бу, хӀунда аьлча хьалхалера сингаттамаш бицбина а, Сан бӀаьргашна хьалхара къайлабаьхна а хир бу».</verse>
				<verse number="17">«Хьажал! Ас керла стигал а, керла латта а ду кхуллуш, ткъа хьалхалернаш дага а догӀур дац, даг тӀехь а хир дац.</verse>
				<verse number="18">Ас кхуллуш долчух самукъадаьлла а, даккхийдеш а хир ду шу гуттар а, хӀунда аьлча Ас кхуллуш йолу Ярушалаймах самукъадалар а хир ду, цуьнан халкъах хазахетар а хир ду.</verse>
				<verse number="19">Ярушалаймах хазахеташ а, цуьнан халкъах самукъадаьлла а хир ву Со. Цу гӀали чохь кхин хезар дац белхар а, тийжам а.</verse>
				<verse number="20">Цу чохь цхьадолчу деношкахь бен ца даьхна аганара бер хир дац, иштта шен денош кхачдалаза воккха стаг а хир вац. БӀе шо кхаьчна стаг велча, иза жима стаг ву моьттур ду. БӀе шо кхаьчна къинош летийнарг веллехьара, цунна неӀалт кхайкхийна моьттур дара.</verse>
				<verse number="21">Уьш, цӀенош а деш, царна чохь Ӏийр бу, кемсийн бошмаш а югӀуш, церан стоьмаш бууш хир бу.</verse>
				<verse number="22">Цара кхечарна чохь Ӏан цӀенош а дийр дац, кхечара царна тӀера кемсаш яа кемсийн бошмаш а югӀур яц. Сан халкъан денош, диттан денош санна, хир ду. Ас хаьржинчара еххачу хенахь шайн куьйгашца динчух пайда оьцур бу.</verse>
				<verse number="23">Цара эрна къа а хьоьгур дац, шайна баланна бераш а дийр дац, хӀунда аьлча уьш а, цаьрца цхьаьна церан тӀаьхьенаш а Везачу Эло декъалдина халкъ хир ду.</verse>
				<verse number="24">Цара кхайкхале, Ас жоп лур ду. Уьш къамел деш хир бу, ткъа Суна хӀинцале хезар ду.</verse>
				<verse number="25">Борз а, Ӏахар а цхьаьна бежаш хир бу, лоьмо, старо санна, докъар дуур ду, ткъа лаьхьанна кхача латта хир ду. Цара зен а дийр дац, бохам а бийр бац берриг а Сан безачу лам тӀехь», — боху Везачу Эло.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="66">
				<verse number="1">Везачу Эло иштта боху: «Стигал Сан Ӏарш ю, ткъа латта Сан когийн кӀело ю. Аша мичахь дийр ду Суна цӀа? Сан садоӀу меттиг а мичахь хир ю?</verse>
				<verse number="2">И дерриг а Сан куьйго кхоьллина дац? И дерриг а иштта хилла дӀахӀоьттина дацара? — боху Везачу Эло. — Ша кӀезиг хетачуьнга а, дог доьхна волчуьнга а, Сан дашна вегавеш волчуьнга а Сан ларам бу.</verse>
				<verse number="3">Амма сту сагӀина буьйш верг Суна хьалха адам дуьйш верг санна ву. СагӀина Ӏахар боккхуш верг жӀаьлин ворта кагъеш верг санна ву. КӀен сагӀа доккхуш верг хьакхин цӀий сагӀина даьккхинарг санна ву. Хаза хьожа йогӀу хӀума ягош верг цӀунна Ӏибадат дийриг санна ву. Шайн некъаш а хаьржина, шаьш лелочу дегазчу гӀуллакхех царна там хиларе терра,</verse>
				<verse number="4">Со а хир ву цаьрца шога. Уьш кхоьруш дерг доуьйтур ду Ас царна тӀе, хӀунда аьлча Со кхайкхира, амма жоп луш стаг вацара, Ас къамел дира, амма цхьаммо а ла ца дуьйгӀира. Цара Суна хьалха зуламениг дора, Суна цадезарг а хоржура».</verse>
				<verse number="5">Везачу Элан даше ладогӀа, Цуьнан дашах бегош берш: «Сан цӀе бахьана долуш, шу ца дезачу а, дӀалоьхкучу а шун вежарша боху: „Везачу Эло Шен сийлалла гойтийла, тӀаккха тхо хьовсур ду шун самукъадаларе“. Амма уьш юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу.</verse>
				<verse number="6">ЛадогӀа! ГӀалара схьахезаш гӀовгӀа ю, Делан цӀа чуьра аз ду хезаш. Иза Шен мостагӀашна бекхам беш волчу Везачу Элан аз ду.</verse>
				<verse number="7">Беро хьийза а яле, зудчо бер дина, цунна лазарш а хилале, цо кӀант вина.</verse>
				<verse number="8">Хьанна хезна ишттаниг? Хьанна гина ишттаниг? Цхьана дийнахь пачхьалкх кхоллаеллий? Цхьана сахьтехь къам кхолладеллий? Амма лазарша хьийзо йолаялале, Цийоно шен кӀентий бина.</verse>
				<verse number="9">Бер дуьнен тӀе долу хан тӀе а кхачийтина, иза ца хуьлуьйтуш Ӏийр вуй Со? — боху Везачу Эло. — Я бер дан ницкъ а белла, ненан цӀа дӀакъовлур дуй Ас?» — боху хьан Везачу Эло.</verse>
				<verse number="10">Даккхийдейша Ярушалаймаца, цунах самукъадалий хилийша, иза езаш долу шу массо а! Даккхийдейша цуьнца хӀинца шу массо а, цунах доьлхуш хилларш!</verse>
				<verse number="11">Цуьнан синтемечу некхах шу, дакха а декхна, Ӏаьбна хир ду. ЧӀогӀа мала а муьйлуш, цуьнан даккхийчу накхойх зовкх хьоьгур ду.</verse>
				<verse number="12">ХӀунда аьлча Везачу Эло иштта боху: «Ас машар хоьцур бу шуна тӀе, догӀу хи санна, халкъийн хьал схьахоьцур ду, хи тӀедаьлча догӀу татол санна. Шу декхар а ду, карахь а лелор ду, голаш тӀехь хьоьстур а ду.</verse>
				<verse number="13">Нанас беран догъоьцуш санна, Ас шун догъоьцур ду. Ярушалаймехь догъэцна хир ду шун.</verse>
				<verse number="14">Шуна гур ду иза, тӀаккха шун дегнаш даккхийдеш хир ду. Заза даьккхина къона дитташ санна хир ду шу. Везачу Элан куьйгана Шен ялхой бевзар бу, амма Шен мостагӀашна оьгӀазгӀур ву Иза».</verse>
				<verse number="15">Веза Эла цӀергахь вогӀур ву. Цуьнан гӀудалкхаш, йилбазмох санна, хир ю. Цо Шен оьгӀазалла дераллица тӀеюттур ю, ткъа Шен къемат — цӀеран алунашца.</verse>
				<verse number="16">ХӀунда аьлча Везачу Эло цӀерца а, Шен туьраца а массо а адамна тӀехь кхел йийр ю. Цо хӀаллакбина дуккха а хир бу.</verse>
				<verse number="17">«Езачу бошмашкахь цхьаъ вукхунна тӀаьххье шаьш базбеш а, цӀанбеш а берш а, хьакхин жижиг а, маьттаза хӀуманаш а, дехкий а дуурш а массо а лийр бу, — боху Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="18">Сох лаьцна аьлча, церан гӀуллакхаш а, ойланаш а бахьана долуш, Ас массо а къаьмнаш а, меттанаш а гулдийр йолу хан тӀекхаьчна. Схьа а баьхкина, Сан сийлалла гур ю царна.</verse>
				<verse number="19">Царна юкъахь тамашийна билгало а йина, дийна бисинчарах цхьаберш Сох лаьцна ца хезначу а, Сан сийлалла ца гиначу а къаьмнашна тӀе бохуьйтур бу Ас: Таршаш тӀе а, пӀулахошна а, шайн говзачу Ӏад кхуссучаьрца болчу лудамхошна а тӀе, Тубална а, Яванна а тӀе, генахь долчу хӀордан йистерачу халкъашна а тӀе. Оцу халкъашна юкъахь Сан сийлалла кхайкхор ю цара.</verse>
				<verse number="20">Массо а халкъашна юкъара берриг а шун вежарий схьабалор бу цара Везачу Элана совгӀатна говрашна тӀехь а, гӀудалкхаш чохь а, ворданашна тӀехь а, бӀарзанашна а, эмкалшна а тӀехь Сан безачу лам тӀе, Ярушалайме, — боху Везачу Эло, — исраилхоша Везачу Элан цӀийне цӀеначу пхьегӀи чохь совгӀат ма-дарра.</verse>
				<verse number="21">Царах схьаоьцур бу Ас динан дай а, левихой а бан нах», — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="22">«Ас кхуллур йолу керла стигал а, керла латта а, гуттар а Суна хьалха лаьттар долуш ма-хиллара, — боху Везачу Эло, — иштта шун тӀаьхье а, цӀе а даим юьсур ю.</verse>
				<verse number="23">Цхьана баттера вукху батте а, цхьана шоьтан дийнера вукху шоьтан дийне а долуш, массо а адам Суна хьалха суждане догӀур ду, — боху Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="24">Арабевлча, царна Суна дуьхьалбевллачу нехан декъий гур ду: уьш бууш болу нӀаьна а лийр бац, уьш багош йолу цӀе дӀа а йойур яц. Массо а адамна дегаза хетар бу уьш».</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="24">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">ХӀара дешнаш Бен-Яманан тайпанан лаьтта тӀехь лаьтташ йолчу Ӏанатот-гӀаларчу динан дайх цхьаъ волчу а, Хьалкхи-ЯхӀун кӀентех волчу а Ярми-ЯхӀун ду.</verse>
				<verse number="2">Ярми-ЯхӀуга Везачу Элан дош кхечира, яхӀудхойн паччахь Аминан кӀант Юши-ЯхӀу волчу хенахь. Иза дара Юши-ЯхӀу паччахьаллехь волу кхойтталгӀа шо.</verse>
				<verse number="3">Везачу Элан дош Ярми-ЯхӀуга иштта кхочура яхӀудхойн паччахь Юши-ЯхӀун кӀант ЯхӀу-Якхам паччахь волчу хенахь дуьйна, Юши-ЯхӀун кӀанта ЦӀадукъ-ЯхӀус паччахьалла дечу цхьайтталгӀачу шеран пхоьалгӀачу батта тӀекхаччалц. Оцу хенахь Ярушалайман халкъ йийсаре дӀадигира.</verse>
				<verse number="4">Соьга, Ярми-ЯхӀуга, Везачу Элан дош кхечира:</verse>
				<verse number="5">«Суна хьо вевзаш вара, ненан кийрахь Айса хьо кхоллале а, Аса хьо дӀакъастийнера, хьо дуьнен чу валале а. Ас хьо къаьмнашна пайхамар хила дӀахӀоттийра».</verse>
				<verse number="6">ТӀаккха аса элира: «Хьалдолу Эла! Суна ца хаьа муха ала деза, со хӀинца а дукха жима ма ву».</verse>
				<verse number="7">Амма Везачу Эло суна жоп делира: «Ма ала: „Со дукха жима ву“. Аса хьо дӀа мел хьажийначу метте гӀур ву хьо. Аса хьайна тӀедиллинарг дӀа а эр ду ахьа.</verse>
				<verse number="8">Кхера ма кхера царах: Со массо а хенахь хьоьца хир ву, хьо кӀелхьарваккхархьама». Иштта боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="9">Шен куьг дӀа а дахийтина, иза сан бетах хьакхадалийтира Везачу Эло. Цо элира: «ХӀинца Сайн дешнаш хьан бага дехки Ас.</verse>
				<verse number="10">Билггал хаа ду хьуна, тахана Аса хьо дӀахӀоттий халкъашка а, пачхьалкхашка а Сан цӀарах вистхила. Ахьа дӀахьедийр ду, уьш орамашца бухдаьхна а, дохийна а хир ду аьлла, уьш хӀаллакдина а, дӀадаьхна а хир ду аьлла, уьш юхаметтахӀиттийна а, юхадоьгӀна а хир ду аьлла».</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха Везачу Элан дош кхечира соьга: «ХӀун го хьуна, Ярми-ЯхӀу?» Аса жоп делира: «Суна бӀаьлланган га го».</verse>
				<verse number="12">Везачу Эло элира: «Хьуна гуш дерг нийса ду. Сайн бӀаьргашца хьожуш ву Со Сайн дош билггал кхочушхилийта».</verse>
				<verse number="13">Юха а Везачу Элан дош кхечира соьга: «Ярми-ЯхӀу, хӀун го хьуна?» Аса жоп делира: «Суна кхехкаш болу яй го, къилбаседехьара жимма агӀор таьӀна болу».</verse>
				<verse number="14">Везачу Эло соьга элира: «Къилбаседехьара беана болу боккха бохам оцу мехкан массо а бахархошна тӀехъоьхур бу.</verse>
				<verse number="15">Аса кестта къилбаседехьара йолчу пачхьалкхашкара къаьмнаш схьакхойкхур ду, — боху Везачу Эло. — Цара, схьа а даьхкина, шайн паччахьийн гӀанташ Ярушалайман кевнашна уллохь охьахӀиттор ду. ГӀалин пенашна а, иштта ЯхӀуд-махкарчу массо а гӀаланашна а тӀелетар ду уьш.</verse>
				<verse number="16">Айса дӀахьейина кхел кхочушйийр ю Аса Сайн къомана тӀехь, цара мел лелийна вониг бахьана долуш. Суна букъ а берзийна, кхечу деланашна сагӀанаш а дохуш, шайн куьйгашца кхоьллинчунна Ӏибадат дора цара.</verse>
				<verse number="17">Ткъа ахьа, Ярми-ЯхӀу, хьайн гӀодаюкъ а ехкий, хьала а гӀаттий, Аса хьайга мел аьлларг цаьрга дӀадийца. Оцу нахах ма кхера, Соьга хьо царна хьалха ца кхеравайтархьама.</verse>
				<verse number="18">Аса хьо хӀинца чӀагӀйина гӀала санна, аьчка бӀогӀам санна, йоьза пен санна, хӀокху лаьтта тӀехь дӀахӀоттийна. ЯхӀудан халкъан паччахьашна а, цуьнан тхьамданашна а, динан дайшна а, массо а кху лаьттарчу халкъана а дуьхьал хьо латталур ву.</verse>
				<verse number="19">Уьш массо а хьуна дуьхьал хир бу, амма цаьрга хьо эшалур вац, хӀунда аьлча Со хьоьца ву, — боху Везачу Эло, — Аса хьо кӀелхьар а воккхур ву».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Везачу Элан дош кхечира соьга:</verse>
				<verse number="2">«Ярми-ЯхӀу, ваха а гӀой, Ярушалайман халкъе дӀахьедар де. Цаьрга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Къоначу хенахь хьо тешаме хилар дагадогӀу Суна, хьо къона нускал долуш Со везара хьуна. Хьо Суна тӀаьхьахӀоьттина догӀура яьссачу аренгахула — тӀе хӀу тасаза долчу лаьтта тӀехула.</verse>
				<verse number="3">Исраилан халкъ Везачу Элана лерина схьакъастийна дара, дуьххьара болу стом санна, Цуьнан долахь бен дацара. Иза мел кхоллург бехке хетара, ткъа царна тӀе бохам боуьйтура’ — боху Везачу Эло“».</verse>
				<verse number="4">Якъубан тӀаьхье а, Исраилан тӀаьхьенан массо а тайпанаш а, ладогӀа Везачу Элера болчу хааме!</verse>
				<verse number="5">Везачу Эло иштта боху: «ХӀун зулам гина шун дайшна Соьгара, уьш Суна херабовллал? Суна гена а бевлла, хӀумма а йоцучу цӀушна суждане а оьхуш, шайх а хӀумма а йоцург хилла царах.</verse>
				<verse number="6">Цара хӀунда ца хаьттина: „Мичахь ву вай Мисар-махкара арадаьхна волу Веза Эла? Шена тӀехь гӀамарш а, Ӏаннаш а долчу, ша екъа а, Ӏаьржачу бодане а долчу, шена тӀехула цхьа а некъахо ца вогӀучу, шена тӀехь цхьа а Ӏаш воцучу яьссачу аренгахула схьадалийна волу Веза Эла мичахь ву хӀинца?“</verse>
				<verse number="7">Аса шу токхечу лаьтта тӀе схьадалийра, цуьнан ялта а, дика хӀуманаш а шуьга яийта. Амма аша, схьа а даьхкина, Сан латта бехдира, Сан долахь долчух аша дегаза меттиг йира.</verse>
				<verse number="8">Динан дайша а ца хоттура: „Мичахь ву Веза Эла?“ — аьлла, ткъа Ӏелам нах а Со вовза лууш бацара. Исраилан баьччанаш Суна дуьхьал бевллера, ткъа пайхамарша БаӀалан цӀарах хаамаш бора, хӀумма а йоцучу цӀушна суждане оьхура.</verse>
				<verse number="9">Цундела Аса юха а шуна бехк тӀебуьллу, — боху Везачу Эло. — Шун тӀаьхьенна а бехк тӀебуьллур бу Аса.</verse>
				<verse number="10">Даха а гӀой, Хитаман гӀайренаш тӀехь а хьовса, иштта Къедар-гӀала стаг а вахийтий, цигахь а талла, хӀоьттина цигахь шу долчохь долу хьал.</verse>
				<verse number="11">Хьовса, хийциний цхьана а къомо шайн деланаш, церан метта кхин деланаш а лехна, уьш цхьана а тайпана деланаш боццушехь? Амма Сан къам шайн сийлаллин Делах дӀа а къаьстина, хӀумма а йоцучу цӀушна тӀедирзина.</verse>
				<verse number="12">Тамаша бейша хӀокху хӀуманна, стигалш, Ӏадаяй, инзарйовлийша!» — боху Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="13">«Сан къомера ши зулам даьлла: дийна хи чохь долу шовда санна волу Со а витина, цара шайна чохь хи соцуш йоцу йохийна гӀунаш яьхна».</verse>
				<verse number="14">«Исраилан халкъ лай ду? Я дуьнен чу долучу хенахь лай хилла ду? Иза кхечарна ижу хилла дӀа хӀунда хӀоьттина?</verse>
				<verse number="15">Цунна гӀигӀ деш дӀахӀиттинчу къоначу лоьмаша, ижу а яьккхина, гӀовгӀа йора. Исраилан мохк бассийна цара. ГӀаланаш ягийна, царна чохь халкъ а ца дисина.</verse>
				<verse number="16">Нуп-гӀалин а, Тахьпанхьас-гӀалин а бахархоша хьан хьеюкъ дӀаяьшна.</verse>
				<verse number="17">Амма хьоьга беъначу баланан бахьана хьо хьуо ду. Хьан Веза Дела волчу Аса хьо нийсачу новкъахула далош дара, амма хьо Суна уллора дӀаделира.</verse>
				<verse number="18">Мисар-махка а даьхкина, Нил чуьра хи маларх хӀун пайда хир бу хьуна? Ашур-махка а даьхкина, Эпрат чуьра хи маларх хӀун пайда хир бу хьуна?</verse>
				<verse number="19">Ахьа мел динчу воно хьуна таӀзар дийр ду, хьан тешнабехке хиларо хьуна тӀехдеттар ду. Ойла ехьа, хаа ду хьуна, Везачу Элах хьо дӀакъаьстина хилар а, Суна хьалха хьо ларамах дуьзна цахилар а, мел вон а, къаьхьа а ду иза». — боху массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло.</verse>
				<verse number="20">«Дукха хан ю хьан дукъ ахь кагдина, тоххарехь хьан буржалш а хадийна. Ахьа бохура: „Хьуна муьтӀахь хир вац со!“ Бакъду, муьлххачу а лекхачу гуна тӀехь а, хӀора луьста гаьннаш долчу диттана кӀелахь а, кхахьпаллица кхечу деланашна Ӏибадат дора ахь.</verse>
				<verse number="21">Аса-Айса хьо юьйгӀира, тоьлла таьлланг санна, ма тешаме кемсийн хӀу дара хьо! Муха хилла хьох вон хьожа йогӀу акха а, хийра а кемсийн таьлланг?</verse>
				<verse number="22">Хьуо дикка цӀандан гӀертахь а, хьайна тӀе дуккха а саба хьекхахь а, хьан къинан заралла Суна хьалха лаьтта, — боху Хьалдолчу Эло. —</verse>
				<verse number="23">Муха эр ду: „Со бех ца вира аса. Со БаӀал-деланийн лорах ца лелла“? ТогӀи чохь хьо леларе хьажал, айхьа лелийначух дикка кхетал! Хьо, аьрха стен эмкал санна, хьайн некъаш дӀакхоьхьуш яра.</verse>
				<verse number="24">Хьо акха виркхел санна ю, яьссачу аренгахь Ӏан Ӏемина йолу, шен хьайна хиларехь мерӀуьргашца хӀаваъ муьйлуш йолу. Хьаьнга юхаозалур ю иза, сел чӀогӀа лууш хилча? Иза оьшуш мел йолчу виро ша кӀадъян ца еза — оре еанчу хенахь иза атта карор ю.</verse>
				<verse number="25">Исраилан халкъ, хьайн когашка мачаш ма йохаяйта, хьайн къамкъаргана хьогалла ма гайта, кхечу деланашна тӀаьхьа а уьдуш. Амма ахьа элира: „Са ма тийса! Суна кхечу къаьмнийн деланаш беза, со царна тӀаьхьа лелар ду“».</verse>
				<verse number="26">«Къола дечохь схьалаьцначу къуьнна эхь хетийтаре терра, юьхьӀаьржачу хӀоьттина Исраилан тӀаьхье — къам а, паччахьаш а, баьччанаш а, церан динан дай а, пайхамарш а.</verse>
				<verse number="27">Цаьрга дечиган гериге: „Хьо сан да ву“ алалур ду, ткъа тӀулге а алалур ду: „Ахьа со вина“, хӀунда аьлча цара Суна шайн юьхьан метта букъ берзийна. Ткъа шайна бохам тӀебеача, цара бохур ду: „Тхо кӀелхьардахахьа!“</verse>
				<verse number="28">ТӀаккха Ас шуьга эр ду: „Мичахь бу ахьа хьайна бина болу деланаш?“ Хьо баланашкахь долчу хенахь цаьрга, схьа а баьхкина, даккхийта хьо кӀелхьар, хӀунда аьлча хӀора хьайн гӀалин цӀарах цхьацца дела ву хьан, ЯхӀудан халкъ.</verse>
				<verse number="29">Шу Соьца стенна къийсало? Шу массо а Суна дуьхьал гӀевттина, — боху Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="30">Шун къомана Ас таӀзар дар эрна хилла, исраилхой, хӀунда аьлча наха шаьш нис ца байтина. Цоьстучу лоьмо санна, аша таррашца шайн пайхамарш хӀаллакбина».</verse>
				<verse number="31">Ва Исраилан тӀаьхье, тидам бе Везачу Элан дешнашка: «Яьсса аре я Ӏаьржачу боданан латта санна Исраилан халкъана вара Со ткъа? Иштта хӀунда боху Сан къомо: „Тхо кхерсташ ду, ткъа Хьо волчу юхадоьрзур дац!“?</verse>
				<verse number="32">Зудаберана шен жовхӀарш диц ца ло. Нускална шен доьхка а диц ца ло. Амма Сан халкъана Со диц ца даллал дукхазза вицлора.</verse>
				<verse number="33">Ма дика хаьа хьуна, ЯхӀудан халкъ, безаргаш хьайна лаха. Уггар вон зударий а хьох Ӏама мега!</verse>
				<verse number="34">Хьан бедарийн юьхах хьакхаделла бехк боцучу къечу адамийн цӀий ду, къола дечохь ахь уьш ца лаьцнехь а. И массо а къинош ахь летийнехь а,</verse>
				<verse number="35">боху ахьа: „Сан бехк бац. Дела суна оьгӀаз гӀур вац“. Ахьа „Сан бехк бац“ бахарна Аса кхел йийр ю хьуна.</verse>
				<verse number="36">ХӀунда лела хьо хьайн некъаш хуьйцуш? Мисар-махкаца барт а беш, хьо юьхьӀаьржачу хӀуттур ду, Ашур-махко ма-хӀоттора.</verse>
				<verse number="37">ЮьхьӀаьржачу а хӀоттийна, Мисар-махкара а хьо дӀагӀур ду. Хьо тешна Ӏаш берш Веза Эла волчу Аса дӀа-ма-теттина. Цаьрца хьан аьтто хир бац».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">«Нагахь санна майрачо дӀаяхийтина йолу зуда, кхечуьнга маре яхча, цуьнан хьалха хилла майра иза йолчу юхавоьрзур вуй те? Бехлур барий те и хӀума дича мохк? Исраилан халкъ, дуккха а безаргашца лелла хьо, ткъа хӀинца Со волчу юхадерза лууш ду хьо? — боху Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="2">Ерзинчу лакхенашка хьала а хьажий, схьаалахьа, Исраилан халкъ, хьо хьарам мичахь ца лелла? Хьайн безаргашка хьоьжуш, некъан йистехь Ӏийна хьо, Ӏаьрбихо яьссачу аренгахь некъахошна тӀелата дагахь ма-Ӏарра. ХӀара латта бехдина ахьа хьайн хьарам леларца а, мекарлонца а.</verse>
				<verse number="3">Ахьа къинош летор бахьана долуш догӀанаш а севцинера, бӀаьста догӀу догӀа а цхьаьна. Амма тӀаккха а хьуна эхь ца хетара — хьан юьхь кхахьпанан санна яра, эхь ца хеташ.</verse>
				<verse number="4">ХӀинца бохург хир ма дац ахьа Соьга: „Сан Да, Хьо сан жималлехь дуьйна сан накъост хилла ву!</verse>
				<verse number="5">Массо а хенахь хир ву те Хьо суна реза воцуш? И оьгӀазло Хьайна чохь латтор ю те Ахьа?“ Иштта боху ахьа, амма хьайга далуш долччул зуламаш деш ма ду хьо, Исраилан халкъ!»</verse>
				<verse number="6">Юши-ЯхӀу паччахь волчу хенахь Веза Эла соьга вистхилира. Цо соьга элира: «Ярми-ЯхӀу, хьуна гирий „Тешнабехк“ олуш долчу Исраилан халкъо лелийнарг? Цуьнан тешаме цахилар хьуна гирий? Иза суна хьарам хилла хӀора лекхачу гуна тӀехь а, хӀора луьста гаьннаш долчу дитта кӀелахь а.</verse>
				<verse number="7">Аса ойла йира, ша лелош дерг лелийна яьллачул тӀаьхьа, иза Со волчу юхайоьрзур ю аьлла, амма иза юха ца йирзира. Цо динарг тешаме йоцучу цуьнан йишина ЯхӀудан халкъана гира.</verse>
				<verse number="8">Сайна тешаме доцуш хиларна тешнабехке долу Исраилан халкъ Аса дӀахердина. Амма Суна гира, и массо а хӀума хиллехь а, тешаме йоцу цуьнан йиша йолу ЯхӀудан халкъ а, дӀа а дахана, кхахьпа санна лелара.</verse>
				<verse number="9">Цхьана а тайпана эхь ца хетарца цо бехбира и мохк, тӀулгах а, дечигах а бинчу цӀушца лелаш.</verse>
				<verse number="10">Тешаме доцу, цуьнан йиша йолу ЯхӀудан халкъ цӀеначу дагца Суна тӀе ца дирзира, цо Суна моттаргӀанаш лелайора, ша тӀедирзина моттуьйтуш», — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="11">Везачу Эло соьга элира: «Тешаме доцучу ЯхӀудан халкъал ша бехказадаьккхира тешнабехке долчу Исраилан халкъо.</verse>
				<verse number="12">ДӀа а гӀой, къилбаседехьа хӀара Сан дешнаш дӀакхайкхаде, Ярми-ЯхӀу: „Юхадерза, тешаме доцу ЯхӀудан халкъ! — боху Везачу Эло. — Хьуна дарлур вац Со къинхетаме волу дела, — боху Везачу Эло. — Со массо а хенахь шуна оьгӀазвахана а хир вац.</verse>
				<verse number="13">Амма хьо хьайгара баьллачу бехкана къера хила деза, Исраилан халкъ, хӀунда аьлча хьо хьайн Везачу Далла дуьхьал долура, хӀора луьстачу диттана бухахь кхечу къаьмнийн цӀушна суждане оьхура, ткъа Аса аьллачуьнга ахьа ла ца дугӀура“». Иштта боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="14">«Тешаме доцурш, Со волчу юхадерза! — боху Везачу Эло, — Со шун олахо ма ву. Аса, хӀора гӀалара цхьацца стаг а, иштта хӀора тайпанара шишша стаг а схьа а эцна, шу Цийон-лам тӀе дуьгур ду.</verse>
				<verse number="15">Аса шуна Сайна тешаме болу Ӏуй лур бу, цара шу хьекъалца, кхетамца дуьгур ду.</verse>
				<verse number="16">Шун махкахь шу дебна а, даьржина а хиндолчу хенахь, — боху Везачу Эло — наха Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ хьахор дац, хӀунда аьлча Веза Эла Ша хир ву царна юкъахь. Иза цхьанна а дага а догӀур дац, цунах лаьцна цхьаммо а ойла йийр яц, цхьанна а иза оьшур а дац, ткъа иза цкъа а духадийр дац.</verse>
				<verse number="17">Цу заманахь Ярушалаймана, Везачу Элан Ӏарш аьлла, цӀе туьллур ю. Массо а къаьмнаш Ярушалайме схьагуллур ду, Веза Эла волчу Суна Ӏибадат дархьама. Цара кхин дийр дац шайн мекарчу, аьрхачу дегнаша бохург.</verse>
				<verse number="18">Цу деношкахь ЯхӀудан тӀаьхье цхьаьнакхетар ю Исраилан тӀаьхьенца. Уьш цхьаьна къилбаседехьарчу махкара Аса шайн дайн дола деллачу лаьтта тӀе схьабогӀур бу».</verse>
				<verse number="19">Аса, Везачу Эло, элира: «Суна шуьца Сайн кӀенташца санна хила лаьара. Шуна дика латта дала лаьара суна — кхечу къаьмнийн долчул а хаза долу. Суна моьттура аша Сайх Да а олуш, шу кхин цкъа а Сох дӀадоьрзур дац.</verse>
				<verse number="20">Амма майрачунна тешаме йоцу зуда санна, хьо Суна тешаме яцара, Исраилан тӀаьхье». Иштта боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="21">Ерзинчу лакхенашкара схьахезаш белхар ду: Исраилан халкъо шайн цӀушка орца доккху, шайн Дела волу Веза Эла виц а вина, шаьш шайн некъаш талхор бахьана долуш.</verse>
				<verse number="22">Везачу Эло боху: «Со волчу юхадерза, Сох дӀадирзинарш! Сайх дӀакъастаран цамгарх Аса дарба дийр ду шуна. Ала Соьга: „Тхо Хьо волчу дӀадогӀу, Хьо тхан Веза Дела волу дела.</verse>
				<verse number="23">Баккъалла а, ма эрна хилла-кх сагӀа доккхучу лакхенашкахь а, гунашкахь а оха, цӀушна корта а бетташ, йина гӀовгӀа. Исраилан халкъан кӀелхьардалар баккъалла а тхан Везачу Делера бен дац.</verse>
				<verse number="24">Тхо кегий долчу хенахь дуьйна эхьан харцдела волчу БаӀала дӀакхоллура тхан дайша мел гулдинарг — церан жаш а, бежанаш а, иштта церан кӀентий а, зудабераш а.</verse>
				<verse number="25">Тхайн эхь тӀехь а долуш, охьадуьжийла тхо, тхан сийсазалла, шаршу санна, тхуна тӀехь хуьлийла, хӀунда аьлча оха а, тхан дайша а, кегий долчу хенахь дуьйна хӀара хан тӀекхаччалц, тхан Везачу Далла дуьхьал къинош летийра, Цо аьллачуьнга ла а ца дугӀуш“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">Иштта боху Везачу Эло: «ТӀедерза хьайна лаахь, Суна тӀедерза, ва Исраилан халкъ. Массо а дегаза цӀу Суна хьалхара дӀаваккхал, кхидӀа ца тилаяйттал,</verse>
				<verse number="2">нийсонца а, бакъдолчуьнца а, догцӀеналлица а дийна волчу Везачу Элах чӀагӀонаш ел. ТӀаккха Везачу Эло къаьмнаш декъалдийр ду, ткъа Цунах цара дозаллаш а дийр ду».</verse>
				<verse number="3">Везачу Эло ЯхӀудан а, Исраилан а халкъашка боху: «Шайн латта аха, коканаш юккъехь хӀу а ма де.</verse>
				<verse number="4">Веза Эла волчу Сан дуьхьа сунтде, ЯхӀудан халкъ! Шайн дегнаш тӀера пардо дӀа а даьккхина, уьш цӀан а дина, сунтбина хила, Ярушалайман бахархой! Шу иштта ца лелахь, Сан дералла, цхьаьнгге а сацалур йоцу сийна цӀе санна, летар ю, аша мел лелийнарг бахьана долуш».</verse>
				<verse number="5">ЯхӀуд-махкахь массарна а дӀахаийта, Ярушалаймехь массо а стаге дӀакхайкхаде: «Коьман маӀа а лоькхуш, орца даккха! Мохь а хьоькхуш, массанхьа а дӀаала: „Дерриш а цхьана метте схьагулло, чӀагӀйина йолчу гӀаланашка дӀагӀур ду вай“.</verse>
				<verse number="6">Байракхца хаам бе, Цийоне дӀагӀо алий! Хье ца луш, кхерам боцучу дӀадовда, хӀунда аьлча Аса къилбаседехьара доуьйту шу долчу хӀаллакьхилар а, боккха бохам а.</verse>
				<verse number="7">Лом шен боьлак чуьра арадаьлла, халкъ хӀаллакдийриг шен некъ бан волавелла. Цо шен хӀусам йитина, шун латта дассорхьама. Шун гӀаланаш хӀаллакйийр ю, царна чохь адамаш а хир дац.</verse>
				<verse number="8">Шайна тӀе сингаттаман духар доха, мохь бетташ, тийжарца делха, хӀунда аьлча Везачу Элан дералла ЯхӀудан халкъана тӀера дӀа ца йирзина».</verse>
				<verse number="9">«И бохам тӀекхаьчначу дийнахь, — боху Везачу Эло, — паччахьан а, тхьамданийн а дегнаш тохалур ду, динан дай инзарбевр бу, ткъа пайхамарш Ӏадийна хир бу».</verse>
				<verse number="10">ТӀаккха аса элира: «Ва Хьалдолу Эла! ЯхӀудан а, Ярушалайман а халкъ ледеш хилла те Ахьа, цаьрга: „Шу долчохь машар хир бу“ бохуш, церан логе тур хӀоттийнашехь?»</verse>
				<verse number="11">Эццахь ЯхӀудан а, Ярушалайман а халкъе хӀара дешнаш кхочур ду: «Бовха мох хьокхур бу яьссачу аренгахь йолчу ерзинчу лакхенашкара Сан хьомечу халкъана тӀе. Иза ялта цӀандечу хенахь хьокхуш болу эсала мох санна хир бац.</verse>
				<verse number="12">Ялта цӀандаллал тӀех чӀогӀа мох Сайн омрица хьоькхур бу. ХӀинца Ас-Айса кхел билгалйоккхур ю оцу халкъана!»</verse>
				<verse number="13">Ӏаьржа марха санна, тӀегӀерташ ву мостагӀа. Цуьнан гӀудалкхаш, йилбазмох санна, сиха ю, цуьнан говраш аьрзунел а сиха ю. Аса элира: «Маржа яӀ! Ма хӀаллакьхир ду вай!»</verse>
				<verse number="14">«Ярушалаймхой, шайн даг тӀера вониг дӀацӀанде, Соьга шаьш кӀелхьардахийтархьама! Мел латто еза аша шайн дегнашна чохь зуламе ойланаш?</verse>
				<verse number="15">ЛадогӀа, хӀун боху Дан-гӀаларчу хаамчо. Вон кхаъ бу Эпрайман гунаш долчуьра веанчу стага беънарг.</verse>
				<verse number="16">Халкъашка хаам бе, Ярушалайме а дӀахаийта: генарчу махкара эскархой тӀегӀерташ бу, ЯхӀудан гӀаланашна тӀе тӀеман маьхьарий хьоькхур ду.</verse>
				<verse number="17">МостагӀаша Ярушалаймана го бийр бу, гӀаролхоша кха ма-ларддара, хӀунда аьлча Цуьнан халкъ Суна дуьхьал гӀаьттина», — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="18">«И бохам шуна тӀебеъна аша мел лелийнарг бахьана долуш. Аша лелийна болу харцнекъаш бахьана долуш беана шуьга хӀара къаьхьа бала. И бала чӀогӀа шун дагах а кхетар бу».</verse>
				<verse number="19">«Сан кийра! Богуш бу сан кийра! Дог лазадоккхуш боккха бала бу соьгахь. Вист ца хуьлуш ца Ӏало со, хӀунда аьлча суна коьман маӀа хезна, тӀеман маьхьарий суна ма хезна.</verse>
				<verse number="20">Цхьа бохам вукху бохамна тӀаьхьа богӀу. Массо а мохк дамардарц хилла Ӏуьллуш бу. ЦӀеххьана сан четарш хӀаллакдина, цуьнан шаршуш бӀаьрганегӀар тохале йоьхна.</verse>
				<verse number="21">Дукха гур юй те суна тӀеман байракхаш, дукха хезар дуй те коьман маӀан аьзнаш?»</verse>
				<verse number="22">Везачу Эло боху: «Сан халкъ сонта ду. Цунна Со ца вевза. Сонта бераш санна ма ду иза. Сан халкъ кхетам боцуш ма ду. Цуьнан вон дан говзалла кхочу, амма дика дан цунна ца хаьа».</verse>
				<verse number="23">Со лаьтте дӀахьаьжира: иза даьсса а, кегарин а дара. Со стигала хьалахьаьжира: ткъа цуьнан нур дацара.</verse>
				<verse number="24">Лаьмнашка дӀахьаьжира со: уьш дегош дара, ткъа гунаш техкаш лаьтташ дара.</verse>
				<verse number="25">Со гонах дӀасахьаьжча, цигахь цхьа а адам дацара, стигалара олхазарш а дӀадаханера.</verse>
				<verse number="26">Со дӀахьаьжча, токхе лаьттах яьсса аре хилира, ткъа цуьнан массо а гӀаланаш йохийна лаьттара, Везачу Элан дераллин оьгӀазло бахьана долуш.</verse>
				<verse number="27">Везачу Эло элира: «Мохк хӀаллакьхир бу, амма массо а хӀума хӀаллакдийр дац Аса.</verse>
				<verse number="28">Цундела латта гӀайгӀа еш хир ду, стигал бодане хилла дӀахӀуттур ю, хӀунда аьлча иза Аса аьлла а ду, Аса чӀагӀдина а ду. Цу хӀуманна Со дохко а ца ваьлла, Айса аьллачунна тӀера а вер вац».</verse>
				<verse number="29">Шайна дошлойн а, секхаӀад кхоссархойн а гӀовгӀа хезча, массо а гӀаланашкара нах дӀабовдур бу: цхьаберш хьехаш чохь дӀаловчкъур бу, вуьш терхеш тӀе хьалабевр бу. Массо а гӀаланаш яссалур ю, шайна чохь дийна адам а доцуш.</verse>
				<verse number="30">Яссийна хинйолу гӀала, хьо хӀун деш ю? ЦӀен духарш хӀунда духу? Дашо туьтеш хьайна тӀе хӀунда ухку? БӀаьргашна басарш хӀунда хьоькху? Хьо хазъяр эрна ду хьуна! Хьан безаргаша хьо йитина, хӀинца хьо ен гӀерташ бу уьш!</verse>
				<verse number="31">Суна берах хьийзочу зудчун аз хезаш санна хета. И аз дуьххьара бер деш йолчу зудчун санна ду. Иза Цийонан йоӀан аз санна ду. Са а лоцуш, куьйгаш хьала а дахийтина, цо боху: «Маржа-яӀ! Сан са малделла дӀадолу байа баьхкинчу нахана хьалха!».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">Везачу Эло элира: «Даха а гӀой, Ярушалайман урамашкахула а, майданашкахула а лахийта нийсо кхочушъеш волу, Суна тешаме хуьлуш волу цхьа стаг. ТӀаккха Аса Ярушалаймана гечдийр дара.</verse>
				<verse number="2">Шаьш дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо яхь а, цунах а ца тешаш, харцонца бист ма хуьлу уьш».</verse>
				<verse number="3">Ас элира: «Ва Веза Эла! Тешаме хиларе Хьо ма хьоьжу! Ахьа царна туьйхира, амма уьш ца лазийра. Ахьа царна таӀзар дира, амма цара шаьш нис ца байтира. Цара шайн яххьаш тӀулгал а чӀогӀа чӀагӀйина, Хьуна тӀедерза царна ма ца лаьара.</verse>
				<verse number="4">Амма аса сайга элира: „Уьш къен нах хила мега, цаьргахь хьекъал дац. Цундела царна Везачу Элан некъ а, Дала тӀедиллинарг а ца девза.</verse>
				<verse number="5">Со халкъан баьччанаш болчу гӀур ву. Царна хууш хила деза Везачу Элан некъаш а, шайна Дала тӀедиллинарг а“. Амма цара массара а Цуьнан дукъ шайна тӀера дӀадаьккхина, шайн Цуьнца йолу массо а зӀенаш а хедийна.</verse>
				<verse number="6">Цундела хьуьнхара лом царна тӀе кхетар ду, аренгарчу барзо а уьш цоьстур бу, цӀоькъаберг а церан гӀаланашна уллохь кӀелхуур ю, царах араваьлларг ватӀорхьама, цара лелийна зуламаш совдовларна а, церан тешнабехк хилар доккха хиларна а».</verse>
				<verse number="7">«Муха вала веза Со хьуна къинтӀера, ЯхӀуд-мохк? Массо а хьан бераш Сох дӀахерделла. Уьш цӀушна суждане оьхуш бу, деланаш уьш боццушехь. Аса царна мел оьшург латтийнера, амма уьш ямартлонца лелара, тобанашца нахаца лелаш болу зударий болчу а оьхуш.</verse>
				<verse number="8">Уьш юстийна йолу говраш санна бу, шайн хьайна хиларца лулахочун зудчуьнга дог хоуьйтуш болу.</verse>
				<verse number="9">Иштта леларна Аса таӀзар дийр дац те? — боху Везачу Эло. — И санна долчу халкъана Аса бекхам бийр бац те?</verse>
				<verse number="10">Хьала а гӀовтта, цуьнан кемсийн бошмашкахула дӀа а гӀо, уьш йоха а еш. Амма кхоччуш уьш йохо ца оьшу — керла гаьннаш дӀа а даха, хӀунда аьлча уьш Везачу Элан дац.</verse>
				<verse number="11">Исраилан а, ЯхӀудан а халкъаш Суна кхоччуш тешаме доцуш лелара», — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="12">Цара Везачу Элах лаьцна харцдерг дуьйцура: «Везачу Эло тхуна хӀумма а дийр дац, тхуна цхьа а тайпана вон дерг а хир дац, тхуна мацалла а гур яц.</verse>
				<verse number="13">Пайхамарша аьлларг мох санна эрна хир ду, Везачу Элан дош цаьрца цахиларна. Цара аьлларг царах шайх гӀойла», — бохуш.</verse>
				<verse number="14">Цундела массо а ницкъийн Везачу Дала боху: «Оцу наха иштта дешнаш аьлла дела, хьан багахь долчу Сан дешнех, Ярми-ЯхӀу, Аса йогуш йолу цӀе йийр ю. И нах Аса дечиг санна хуьлуьйтур бу, ткъа цӀеро уьш дӀакхоллур бу.</verse>
				<verse number="15">Исраилан халкъ, — боху Везачу Эло, — Аса кхуза генарчу махкара къам далор ду, иза шуна тӀелатийта. Иза, ницкъ болуш, шира къам ду. Цуьнан мотт хьуна ца хаьа, цо бохучух хьо кхетар дац.</verse>
				<verse number="16">Церан Ӏад-ботт схьадиллина долу каш санна ду, ткъа уьш шаьш чӀогӀа майра нах а бу.</verse>
				<verse number="17">Цара хьан ялта а, мел болу кхача а дӀабуур бу, хьан кӀентий а, зудабераш а хӀаллакдийр ду, хьан уьстагӀий а, стерчий а дӀадуур ду, иштта хьан кемсаш а, инжираш а дӀакхоллур ю. Цара шайн таррашца хьуна чӀагӀйина хеташ йолу а, шу сатуьйсуш йолу а массо а гӀаланаш хӀаллакйийр ю.</verse>
				<verse number="18">Амма цу деношкахь а Аса шу массо а хӀаллакдийр дац, — боху Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="19">Нагахь санна хьайга хӀун бахьана долуш до Везачу Эло тхуна и зенаш аьлла хаттахь, цаьрга жоп ло: „Шайн махкахь, Со дӀа а теттина, кхечу деланашна аша гӀуллакх даре терра, хӀинца шайн боцучу махкахь а болуш, хийрачу нахана гӀуллакхаш дийр ду аша“».</verse>
				<verse number="20">Везачу Эло элира: «ДӀакхайкхаде и хӀума Якъубан тӀаьхьене а, иштта ЯхӀудан халкъе а:</verse>
				<verse number="21">„ЛадогӀа, Ӏовдал, кхетам боцу къам. Шун бӀаьргаш ду, амма шуна хӀумма а ца го, шун лергаш ду, амма шуна хӀумма а ца хеза.</verse>
				<verse number="22">Сох кхоьруш хила ца деза те шу? — боху Везачу Эло. — Суна хьалха дегош хила ца деза те шу? ХӀордана гонах гӀамаран доза дӀахӀоттийнарг Со ву шуна! ХӀорд оцу дозанал тӀехбаьлла цкъа а дӀасабаржийта мегар дац. ТулгӀенаш хин йистах мел еттаяларх, церан дозанал уьш араевр яц. ТулгӀенаш мел карзахйовларх, цу хин йистал уьш арайовлалур яц“.</verse>
				<verse number="23">Амма хӀара халкъ чӀогӀа аьрха халкъ ду. Уьш, дӀа а бирзина, дӀабахара.</verse>
				<verse number="24">Цара цкъа а ца олу шайга: „Вайн Везачу Делах кхера деза вай. Цо вайна гуьйранна а, бӀаьста а догӀа а доуьйту, ялта чудерзочу хенахь мел оьшург а ло“.</verse>
				<verse number="25">Аша лелийначу зуламаша хӀара дика хӀуманаш шуна генадаьхна, аша летийна долу къинош бахьана долуш Дала деш хилла долу диканиг шух дӀакъастийна.</verse>
				<verse number="26">Сан къомана юкъахь вонаш дукха бу: уьш олхазарш лецархой санна, шайн цӀаьлгаш дӀахӀиттош бу, амма церан цӀаьлгаша лоьцуш дерш олхазарш дац, адамаш ду.</verse>
				<verse number="27">Олхазарш чохь долу цӀелиг санна, церан хӀусамаш харцонех юьзна ю. И харцонаш бахьана долуш уьш лакха а бевлла, цара хьал а гулдина,</verse>
				<verse number="28">церан догӀмаш дазделла, уьш берстина. Цара дечу вон гӀуллакхийн доза дац. Кхел ечу хенахь байшна нийсо ца кхочуьйту цара, ткъа къечу нехан бакъонаш цара лар ца йо.</verse>
				<verse number="29">Цу бахьанина царна таӀзар дан ца деза те Аса? — боху Везачу Эло. — Бекхам бан ца беза те Аса хӀара санна долчу халкъана?</verse>
				<verse number="30">Оцу махкахь цхьа инзаре а, къемате а хӀума хилира:</verse>
				<verse number="31">пайхамарша харцхаамаш бо, динан дайша шайна лууш долчуьнца куьйгалла до, ткъа Сан къомана и тайпа долу хӀума деза. Амма хӀун дийр ду те аша, чаккхе тӀекхаьчча?»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="6">
				<verse number="1">Довда, шайн дахар кӀелхьардаккха, бен-яманхой! Довдий, дӀагӀо Ярушалайм-гӀалара! ТакхоӀ-гӀалахь коьман маӀа лакха! ЦӀарца орца даккха Байт-КӀарам-гӀалахь! Къилбаседехьара боккха бохам а, доккха хӀаллакьхилар а тӀегӀерташ ду.</verse>
				<verse number="2">Дакъазайоккхур ю Аса хаза а, коча а йолу Цийонан йоӀ.</verse>
				<verse number="3">Шайн жашца Ӏуй ма-бахккара, паччахьаш шайн эскаршца схьабогӀур бу Ярушалайм-гӀалина дуьхьал. Цунна гонах шайн четарш дӀахӀиттор ду цара. Шена дӀаделла дакъа хӀораммо а дассор ду.</verse>
				<verse number="4">Цара эр ду: «ХьалагӀовтта, дуьхьалдовла Ярушалаймана. Делкъахенахь тӀамца цунна чугӀуртур ду вай». Амма тӀаккха эр ду: «Жолам! ХӀинца тӀаьхьа ду: суьйре тӀееана, суьйренан ӀиндагӀаш дахлуш ду.</verse>
				<verse number="5">ХьалагӀовтта, буьйсанна тӀе а летта, Ярушалайман гӀепаш йохор ю вай».</verse>
				<verse number="6">ХӀара боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Дитташ схьа а хададай, Ярушалаймана гонах гӀалин пенна тӀеволийла кечъе. И гӀала таӀзар дан хьакъ долуш ю, иза гӀело ярх юьзна йолу дела.</verse>
				<verse number="7">Хьоста чуьра арадолу хи санна, цунна чуьра арадолуш ду вон мел дерг. Цигара ницкъ бар а, къизалла а ю Суна хезаш. Цуьнан цамгар а, чевнаш а го Суна массо а хенахь.</verse>
				<verse number="8">Меттайолахь, Ярушалайм, Сан дог хьайх ма даккхахьа. Хьайга бохург ахьа ца дахь, Ас хьуна букъ берзор бу, хьан латта дассор ду, цигахь цхьа а стаг ца вехачу тайпана».</verse>
				<verse number="9">Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «ТӀаьххьара йисина йолу кемсаш санна схьалахьор ду Исраилан халкъан дисина долу адамаш. Кемсаш схьалахьош волчо ма-дарра, хьайн куьйгашца таьллангаш дикка талла».</verse>
				<verse number="10">Ас жоп делира: «Хьаьнга вистхила веза со, мила тӀетаван веза аса, сайга ладогӀийта? Наха шайн лергаш дӀакъевлина, цундела царна хӀумма а ца хеза. Везачу Элера долу дош царна сийсазалла санна хилира, царна тамехь дац иза.</verse>
				<verse number="11">Амма со Везачу Элера йолчу оьгӀазлонах вуьзна ву, и оьгӀазло соьга сайна чохь ца сецало». ТӀаккха Везачу Эло элира: «И Сан оьгӀазло арахь ловзуш долчу берашна а, кегийчу нахана а тӀе хьажае. Майрачунна а, зудчунна а тӀе дӀаӀанор ю, иштта хан яьлла волчу воккхачу стагана а тӀе.</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха церан цӀенош а, кхаш а, церан зударий а кхечарна дӀалур бу. Аса Сайн куьг тӀедуьллур ду кху махкахь дехаш долчу адамашна, царна таӀзар дархьама, — боху Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="13">КӀезиг болчу нахана тӀера дуьйна, цӀеяхана болчарна тӀекхаччалц мел верг санехьа ваьлла, пайхамаршна тӀера динан дайшна тӀе кхаччалц верг харцонехьа ваьлла.</verse>
				<verse number="14">Сан къомана тӀехь йолчу чевнашна дарба до цара, и чевнаш хӀумма а дац бохуш. Цара Сан къам Ӏехадо, цуьнга машар бу а бохуш, машар ца хуьллушехь.</verse>
				<verse number="15">Эхь хетий те царна шаьш лелош долу боьха хӀума бахьана долуш? Ца хета. Жимма а эхь хетта, цӀий ца ло уьш шаьш летийна долу къинош бахьана долуш. Массо а санна, уьш а хӀаллакьхир бу. Нахана таӀзар дан Со вахча, Аса лаьттах тухур бу уьш», — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="16">Иштта боху Везачу Эло: «Некъаш вовшахкхетачу меттехь дӀа а хӀоттий, хьажа, муьлха бу шира а, беркате а болу некъ. Цу некъа тӀе шу довлахь, шайна синтем а, машар а карор бу шуна». Амма цара элира: «Тхо гӀур дац!»</verse>
				<verse number="17">Везачу Эло элира: «Шуна тӀе гӀаролхой хӀиттийра Аса. Коьман маӀаца орца даккхаре ладогӀа элира Аса шуьга. Амма аша жоп делира: „ЛадугӀур дац!“ — аьлла.</verse>
				<verse number="18">Ткъа хӀинца ладогӀал, къаьмнаш. Тешаш а хилий, хьовсал Аса Сайн къомана хӀун дийр ду.</verse>
				<verse number="19">ЛадогӀал, латта! Аса ЯхӀудан халкъана тӀе боккха бала боуьйтур бу. Ткъа и бала цара йина ойланаш бахьана долуш хир бу, хӀунда аьлча цара Аса аьллачуьнга тидам а ца бира, ткъа Сан товрат-хьехам дӀа а теттира.</verse>
				<verse number="20">ХӀунда оьшу Суна Шебера хаза хьожа йогӀу сегӀаз а, генарчу махкара мерза эрз а? Суна ца оьшу шуьгара дийнаташ дагоран сагӀанаш, иштта кхидолу шун сагӀанаш а Суна тамехь дац».</verse>
				<verse number="21">Цундела иштта боху Везачу Эло: «Аса яккхий халонаш хӀиттор ю ЯхӀудан халкъана тӀе. Цу халонех когаш а тийсалуш, дай а, кӀентий а охьабетталур бу, лулахой а, доттагӀий а хӀаллакьхир бу».</verse>
				<verse number="22">Иштта боху Везачу Эло: «Къилбаседехьара тӀедогӀуш доккха эскар ду, дуьненан йистера тӀаме кечам беш ду доккха къам.</verse>
				<verse number="23">Эскархойн карахь гоьмукъаш а, секхаӀедаш а ду, уьш къиза а, шайца къинхетам боцуш а бу. Уьш говрашкахь богӀучу хенахь, карзахбаьллачу хӀордах тера бу. ТӀамана кийча бу уьш. Церан Ӏалашо — хьуна тӀелатар ю, Цийонан йоӀ».</verse>
				<verse number="24">Ярушалайман бахархоша элира: «Царах лаьцна тхайга хаам кхаьчча, кхераделла, доьхна хьийзаш дара тхо. Берах хьийзош йолчу зудчуьнгахь санна, боккха бала бара тхоьгахь.</verse>
				<verse number="25">Кхаш тӀе а ма гӀо, некъа тӀе а ма довла: мостагӀчун тарраш а, боккха кхерам а бу гонах.</verse>
				<verse number="26">Сан хьоме къам! ТӀеюха хьайна сингаттаман бедарш, тӀетаса хьайна чимаш. Хьайн цхьаъ бен воцучу кӀентан докъана ма-елххара, доггах елха. ЦӀеххьана хӀаллакдийриг вайна тӀелетар ву».</verse>
				<verse number="27">Везачу Эло соьга элира: «Сайн къомана юккъехь дӀахӀоттийнера Аса хьо, Ярми-ЯхӀу, ахь Сайн къам, дети санна, зерхьама. Аса хьо гӀап санна вира, хьоьга Сайн къоман некъаш таллийта, уьш муха бу хьажийта.</verse>
				<verse number="28">Уьш аьрха нах бу, царна юкъахь мотт беттар даьржина, уьш мекха йиллича кхулуш долчу эчигах а, цӀастанах а тера бу.</verse>
				<verse number="29">Левси чӀогӀа кховсуш ю, дашца цхьаьна цӀаро детих йоллу боьхалла дӀаяккхархьама. Дети лалош волчо эрна болх бина хилла, хӀунда аьлча халкъ хӀинца а вонах цӀан ца делла.</verse>
				<verse number="30">Сан халкъана, юхатеттина долу дети аьлла, цӀе туьллур ю, хӀунда аьлча иза Везачу Эло юхатеттина».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="7">
				<verse number="1">Везачу Эло Ярми-ЯхӀуга аьлла долу дешнаш иштта дара:</verse>
				<verse number="2">«Везачу Элан цӀийнан ков долчу дӀа а хӀоттий, хӀара хаам дӀакхайкхабе: „ЛадогӀа Везачу Элера долчу дешнашка. ХӀокху кевнна чухула а бовлуш, Везачу Элана суждане оьхуш долчу ЯхӀудан халкъан массара а ладогӀа.</verse>
				<verse number="3">Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло, Исраилан Дала: хийца шайн дахар а, шайн гӀуллакхаш а. Шайга бохург аша дахь, Аса кхузахь даха дуьтур ду шу.</verse>
				<verse number="4">Ма теша шайна хезаш долчу харцкъамелех. Цхьаболчу наха боху: ‘Кхузахь ду Везачу Элан цӀа! Веза Эла Ша кхузахь волу дела, тхо кхерамехь дац!’</verse>
				<verse number="5">Амма шайн дахар а, гӀуллакхаш а нисдина, вовшашца нийсо а лелош,</verse>
				<verse number="6">тӀебаьхкина болчу нахана гӀело а ца еш, байшна а, бисина Ӏаш болчу зударшна а гӀело а ца еш, бехк боцучеран цӀий а ца Ӏанош, шайна бала бахьар болчу харцделанашна тӀаьхьа а ца хӀуьттуш шу лелахь,</verse>
				<verse number="7">Аса хӀокху лаьтта тӀехь даха дуьтур ду шу. ХӀара латта Аса шун дайшна дӀаделла ду, церан тӀаьхье абаденналц цу тӀехь яхийта.</verse>
				<verse number="8">Амма шу ледеш долчу дешнех тешна Ӏаш ду, царах шайна пайда бер боццушехь.</verse>
				<verse number="9">Къоланаш а деш, нах а бойуш, нахаца а лелаш, харц йолу чӀагӀо а еш, хьалххе шайна бевзина боцучу БаӀална а, кхечу харцделанашна а суждане а оьхуш, лелаш ма ду шу.</verse>
				<verse number="10">Цул тӀаьхьа Сан цӀе лелош долчу цӀийнан керта тӀе а догӀий, Суна хьалха дӀахӀуьтту шу: ‘Тхо маьршадевлла’ — бохуш. Массо а и дегаза хӀуманаш лелорхьама, шаьш маьршадевлла моьтту те шуна?</verse>
				<verse number="11">Сан цӀе лелош долу хӀара цӀа шуна хьалха зуламхойн бен хилла дӀахӀоьттина те? Суна-м и шадерг а гина! — боху Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="12">Дуьххьара Сан Ӏаш йолу меттиг дӀахӀоттийна йолчу Шилун-гӀала а гӀой, хьовса, Аса цу меттигна хӀун бохам байтина, Сан Исраилан халкъо лелийна долу вонаш бахьана долуш.</verse>
				<verse number="13">И дерриг а вонаш деш шу лелаш долчу хенахь, — боху Везачу Эло, — Аса дукхазза а бехира шуьга, амма аша ла ца дуьйгӀира. Со шуьга кхойкхура, амма аша Суна жоп ца лора.</verse>
				<verse number="14">Цундела Шилун-гӀалина динарг Аса хӀинца Сан цӀе лелош долчу хӀокху цӀенна а дийр ду, шу оцу цӀийнах тешна Ӏаш доллушехь а, Аса хӀара меттиг шун дайшна дӀаеллехь а.</verse>
				<verse number="15">Аса Сайна уллора юхатоттур ду шу, шун гергара йолу Эпрайман тӀаьхье юха-ма-таттара“».</verse>
				<verse number="16">«Ткъа ахьа, Ярми-ЯхӀу, и къоман дуьхьа Соьга доӀанаш ма де, царах къинхетам бар а ма деха Соьга, хӀунда аьлча Суна хьан доӀа хезар дац.</verse>
				<verse number="17">Хьуна гуш дац цара ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь а, Ярушалайман урамнекъашкахь а деш дерг?</verse>
				<verse number="18">Бераша дечиг лахьадо, дайша цӀе латайо, зударша бод хьакхабо, стигалан зуда-паччахьна хьокхамаш дотту. Цара кхечу деланашна чагӀаран сагӀанаш охьадутту, Со оьгӀазвахийтархьама.</verse>
				<verse number="19">Амма цара зен дийриг Со ву те? — боху Везачу Эло. — ХӀан-хӀа, шаьш-шайна зен ма до цара, шаьш юьхьӀаьржачу а хӀиттош».</verse>
				<verse number="20">Цундела Везачу Эло иштта боху: «Сан оьгӀазло а, дералла а хӀокху меттигна тӀе йоьрзур ю, адамашна а, хьайбанашна а тӀе, иштта дитташна а, ялтина а тӀе. Сан дералла цӀе санна йогур ю, ткъа иза дӀаяйа стаг а хир вац».</verse>
				<verse number="21">Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Даха а гӀой, Суна дийнаташ дагоран сагӀа даккхаран метта, цунах долу жижиг сагӀанийн кхидолчу жижигна тӀедилла. Суна цунах хӀумма а ца оьшу — аша-шаьш и дерриг а даа!</verse>
				<verse number="22">Шун дай Мисар-махкара арабаьхначу дийнахь, Аса, цаьрга вист а хуьлуш, дийнаташ дагоран сагӀанех а, вукху сагӀанех а лаьцна цхьа а тайпа весет ца дира.</verse>
				<verse number="23">Амма Аса цаьрга цхьа весет дира: „Соьга ладугӀуш хила, ткъа Со шун Дела хир ву, шу Сан къам хир ду. Аса шайна тӀе мел дехкинчу некъашкахула лела, шайн хьал дика хилийтархьама“, — аьлла.</verse>
				<verse number="24">Бакъду, цара Соьга ла ца дуьйгӀира, Сан дешнаш цара тергал ца дора, уьш шайн лаам тӀе бевллера, шайн аьрхачу а, вочу а дегнаша бохург бен ца деш. Цара Суна букъ берзийнера, шайн яххьаш кхечу агӀор а ерзийна.</verse>
				<verse number="25">Шун дай Мисар-махкара арабевллачу хенахь дуьйна таханлера де тӀекхаччалц Аса Сайн ялхой болу пайхамарш оьхуьйтура шу долчу. Аса уьш шу долчу кест-кестта бохкуьйтура.</verse>
				<verse number="26">Амма шун дайша Соьга ла а ца дугӀура, Сох тидам а ца бора. Цара шайн юхахьараллица церан дайша чул а дукха вон лелийра.</verse>
				<verse number="27">Ярми-ЯхӀу, ахьа и хӀума цаьрга дӀадийцахь а, цара хьоьга ладугӀур дац, хьо цаьрга кхайкхахь а, цара хьуна дуьхьал жоп лур дац.</verse>
				<verse number="28">Цундела ахьа ала деза: „ХӀара къам — шен Везачу Делан озе ла ца дугӀуш долу къам ду, иштта цо ша нис ца дойту. Тешаме хилар къомана юкъахь кхин ца хуьлу — цунах лаьцна цхьа а вист а ца хуьлу“».</verse>
				<verse number="29">«Боьлхуш хила, оцу къоман нах! Шайн месаш, дӀа а ларгий, дӀакхисса. Ерзинчу лакхенашкахь тийжам бе, хӀунда аьлча Везачу Эло хӀара къам дӀатеттина, Ша оьгӀазвахийтина долу къам долчуьра Иза дӀавахана.</verse>
				<verse number="30">Суна вон хеташ долу хӀума дина ЯхӀудан халкъо, — боху Везачу Эло. — Сан цӀе лелош долчу цӀа чохь цара шайн дегаза цӀуш дӀахӀиттийна, и цӀа бех а деш.</verse>
				<verse number="31">Бен-ХӀинам-тогӀи чохь йолчу Тупатахь цара сагӀа доккху меттигаш кечйира, цигахь шайн кӀентий а, зудабераш а дагорхьама. И хӀума Аса царна тӀе ца диллина, ткъа иза Суна дагадеана а дац.</verse>
				<verse number="32">Цундела, варелаш! — боху Везачу Эло, — тӀекхочур ю цхьа зама, адамаша хӀокху меттиган Тупат, я Бен-ХӀинам-тогӀи аьлла, цӀе йоккхур йоцу. Кху меттиган цӀе Байаран ТогӀи аьлла хир ю, хӀунда аьлча шайн байина болу нах цара кхузахь дӀабухкур бу, кхузара меттиг чекхъяллалц.</verse>
				<verse number="33">Беллачеран декъий лаьттахь Ӏохкуш хир ду, стигаларчу олхазарша а, акхароша а дууш. Уьш царна тӀера дӀалахка цхьа а стаг а хир вац.</verse>
				<verse number="34">Аса сацор ду ЯхӀуд-махкарчу гӀаланашкахь а, Ярушалаймехь а ирсе аьзнаш а, церан самукъадалар а. Кхузахь цхьанна а хезар дац нускалан а, зуда ялочун а аьзнаш, хӀунда аьлча хӀара латта дассийна лаьтташ хир ду».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="8">
				<verse number="1">«Цу заманахь, — боху Везачу Эло, — яхӀудхойн паччахьийн а, церан тхьамданийн а даьӀахкаш, иштта динан дайн а, пайхамарийн а, Ярушалаймерчу бахархойн а даьӀахкаш церан кешнаш чуьра арайохур ю.</verse>
				<verse number="2">Оцу нехан даьӀахкаш дӀасаяржийна хир ю малхана а, беттасинна а, стигалан седарчашна а кӀелахь. Стигалара и хӀуманаш хӀокху нахана езара, царна хӀокху наха гӀуллакх а дора, уьш царна тӀаьхьа а лелара, царах уьш дагадовлура, царна Ӏибадат а дора. Цхьаммо а юха схьагулйийр яц и даьӀахкаш, уьш цхьаммо а дӀа а юхкур яц. Уьш, лаьттахь Ӏуьллуш долу кхо санна, цигахь Ӏохкур ю.</verse>
				<verse number="3">Аса уьш мичча а дӀалаьхкинчу меттигашкахь оцу вочу халкъах массо а дийна дисначарна дахарал Ӏожалла дика хетар ю», — боху массо а ницкъийн Везачу Эло.</verse>
				<verse number="4">«Ярми-ЯхӀу, халкъе Везачу Эло боху алий дӀаала: „Стаг охьакхетча, иза юха хьала ца гӀотту те? Стаг харцновкъа ваьллехь, иза юха ца воьрзу те?</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха хӀара халкъ Сох хӀунда дӀадирзина? Ярушалайм Суна массо а хенахь тешнабехк хӀунда хуьлу? Ӏехорна тӀаьхьабовлу уьш, ткъа Со волчу юхадерзарх къаьхка.</verse>
				<verse number="6">Аса леррина ладоьгӀна цаьрга, амма бакъдерг ца дуьйцу цара. Царах цхьа а шаьш лелийначунна дохко а ца ваьлла, цхьаммо а ца боху: ‘ХӀун дина Аса?’ Уьш тӀамана юккъехула лаллаелла йоьдучу говрах тера бу.</verse>
				<verse number="7">Олхазаршна а хаьа шаьш схьадахка деза хан а, шаьш дӀадаха деза зама а: аистна а, къоркхокханна а, чӀегӀардигна а, гӀаргӀулина а. Амма хьуна, Сан халкъ, ца хаьа Аса хьайна тӀедиллинарг.</verse>
				<verse number="8">Аша боху: ‘Тхан товрат-хьехамаш а бу, тхоьгахь хьекъал а ду’. Амма иза иштта дац, хӀунда аьлча шун Ӏеламчу наха товрат-хьехам талхабора.</verse>
				<verse number="9">Шун хьекъалчаш юьхьӀаьржачу а хӀуьттур бу, уьш карзахбаьхна а, гуро лаьцча санна а хир бу. Везачу Элан дешнаш цара юхатеттина хилча, мичара хир ду цаьргахь хьекъал?</verse>
				<verse number="10">Цундела Аса церан зударий кхечарна дӀалур бу, церан кхаш а лур ду кхечарна дӀа. КӀезиг болчу нахана тӀера дуьйна, цӀеяхана болчарна тӀекхаччалц мел верг санехьа ваьлла, пайхамаршна тӀера динан дайшна тӀе кхаччалц верг харцонехьа ваьлла.</verse>
				<verse number="11">Сан къомана тӀехь йолчу чевнашна дарба до цара, и чевнаш хӀумма а дац бохуш. Цара Сан къам Ӏехадо, цуьнгахь машар бу а бохуш, машар ца хуьллушехь.</verse>
				<verse number="12">Эхь хетий те царна шаьш лелош долу боьха хӀума бахьана долуш? Ца хета. Жимма а эхь хетта, цӀий ца ло уьш шаьш летийна долу къинош бахьана долуш. Массо а санна, уьш а хӀаллакьхир бу. Нахана таӀзар дан Со вахча, Аса лаьттах тухур бу уьш“», — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="13">«Аса массо а хӀума цаьргара схьадоккхур ду. Кемсийн таьлланг тӀехь цхьа а кемс юьтур яц, инжирийн дитта тӀехь цхьа а инжир а юьтур яц, царна тӀера гӀаш а маргӀалдулур ду. Аса царна мел делла долу хӀума а кхиболчара схьадоккхур ду», — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="14">«Вай кхузахь хӀунда Ӏа? ХьалагӀовтта, чӀагӀйина йолчу гӀаланашка дӀадахийта вай, цигахь лийр ду вай! Вайн Везачу Дала Ӏожаллин кхел хадийна вайна. Цо дӀаьвше хи муьйлуьйту вайга, Цунна дуьхьал вай къинош летийна хилар бахьана долуш.</verse>
				<verse number="15">Вай долчу машар кхочуш бу бохуш, сатийсинера вай, амма диканиг ца кхечи вайга. Вай долчохь дарбанан хан хиларе сатийсинера вай, амма цуьнан метта къемат кхечи вайга.</verse>
				<verse number="16">Дан-гӀала йолчуьра мостагӀийн говрийн хур дар схьахеза. Церан дой терсарна берриге а мохк бегаш бу. Уьш схьабогӀуш бу, мохк а, цунна чохь мел ерг а, иштта гӀала а, цунна чохь вехаш мел верг а хӀаллаквархьама».</verse>
				<verse number="17">«Аса шуна тӀе лаьхьанаш санна болу мостагӀий хоьцур бу. Уьш дӀасацо йиш йоцучу дӀаьвшечу лаьхьанех тера бу, ткъа цара шуна це тухур ю», — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="18">Маца хир бу те сан дагна хьаам? Ма гӀайгӀане ду-кх сан дог!</verse>
				<verse number="19">ЛадогӀахь гӀо доьхуш долчу сан къоме. Цо боху: «Цийонехь Веза Эла кхин вац те? Цигахь цуьнан Паччахь кхин вац те?» Амма Везачу Эло боху: «ХӀунда вахийтина те цара Со оьгӀаза, шайн хӀумма а йоцу харцделанаш а, цӀуш а бахьана долуш?»</verse>
				<verse number="20">Наха боху: «Ялта а чуэцна, аьхке а чекхъяьлла, амма вай кӀелхьар ца даьхна».</verse>
				<verse number="21">Холчохь ду сан халкъ, цундела хала ду суна а. ЧӀогӀа гӀайгӀане ву со, сан даг чу кхерам боьссина.</verse>
				<verse number="22">ГалӀадехь хьакхар-молха дац те? Цигахь лоьраш бац те? Сан хьоме къам хӀунда ца тоделла те цаьрга?</verse>
			</chapter>
			<chapter number="9">
				<verse number="1">Сан коьртах хин хьоста хилла делара, сан бӀаьргех хин шовда хилла делара! Дийнахь а, буса а воьлхур вара со, сан хьомечу къомах хӀаллакбинчарна.</verse>
				<verse number="2">Яьссачу арахь буьйса яккха меттиг сан долахь хилла елара. Сайн къам дуьтур дара аса, сайн халкъ долчуьра со дӀагӀур вара, уьш массо а тешаме боцу дела — ямартчу нехан тоба ю уьш!</verse>
				<verse number="3">«Церан мотт, Ӏад санна, аьшпашна буьйлина бу. Шаьш тешаме цахиларна махкахь нуьцкъала хилира уьш. Цхьана вочу хӀуманна тӀаьхьа важа вониг до цара, амма Со къобалван ца лаьа царна», — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="4">«Ларлуш хила шайн доттагӀех, шайн гергарчарах цхьаннах а ма теша, хӀунда аьлча хӀора гергарчо Ӏехаво, ткъа хӀора доттагӀчо эладита даржадо.</verse>
				<verse number="5">5-6 ХӀораммо а шен доттагӀа лево, цхьаммо а бакъдерг а ца дуьйцу. Шайн мотт цара харцдолчунна тӀетабина. Къинош а летош, уьш Суна тӀе ца берзало. ГӀело а йина, цара кхин а гӀело йо. Ӏеха а вина, цара кхин а Ӏехаво. Ткъа Со къобалварх уьш дӀакъехка», — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="6">***</verse>
				<verse number="7">Цундела массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «ЦӀарца санна цӀандийр ду Ас Сайн халкъ, Ӏазапашца зуьйр ду Ас Сайн къам. Кхин хӀун далур ду те Соьга царна, Сайн хьомечу халкъо летийначу къинна?</verse>
				<verse number="8">Церан меттанаш Ӏожаллин пхерчий санна ду, цаьрца нах Ӏехабо цара. Шен лулахошца цара мерза мотт буьйцу, амма шайн даг чохь ямартло латтайо.</verse>
				<verse number="9">Аса таӀзар дийр дац те царна и хӀума бахьана долуш? — боху Везачу Эло. — Сан даго бекхам бийр бац те цунах терра долчу къомана?»</verse>
				<verse number="10">Лаьмнашна ас белхар хӀоттор ду, яьссачу аренгахь долчу дежийлашна тийжар хӀоттор ду ас. Цхьана а стага цаьргахула некъ ца баккхарна, уьш дассийна ду. Бажа Ӏоьхуш цигахь ца хеза, стигалара олхазарш цигара дӀадахара, бежанаш цигара дӀадахара.</verse>
				<verse number="11">«Аса тӀулгийн оьла йина дӀахӀоттор ю Ярушалайм, ткъа цунах чангӀалкхийн бен хир бу, — боху Везачу Эло. — ЯхӀуд-махкара гӀаланаш Ас йохийна яссор ю, цу чохь вехаш цхьа стаг а хир вац».</verse>
				<verse number="12">Вуй те дуьнен чохь цу хӀуманах кхетар волу хьекъалча? Вуй те Везачу Эло хьекъал делла волу стаг, цу хӀуманах кхето йиш йолу? ХӀунда хӀаллакдина хӀара латта, цхьа а шена тӀехула новкъаваьлла стаг а ца гуш, хӀунда яссийна хӀара аре?</verse>
				<verse number="13">Везачу Эло иштта жоп делира цу хаттарна: «Иза иштта хилира, хӀунда аьлча Аса шена дӀабеллачу товрат-хьехамна тӀера Сан халкъ дӀадирзира — Сан озе а цара ла ца дугӀура, Аса тӀедиллинчуьнца а уьш ца лелара.</verse>
				<verse number="14">Уьш, шайн аьрхачу деган некъ а лехна, БаӀал-харцделанашна тӀаьхьахӀиттира, шайн дайша шайна ма-хьеххара».</verse>
				<verse number="15">Цундела Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Аса цу къомана сагал-буц яор ю, цунна дӀаьвше хи а малор ду.</verse>
				<verse number="16">Аса уьш кхечу къаьмнашна юкъахь дӀасабаржор бу, я царна а, я церан дайшна а девзаш хилла доцучу къаьмнашна юккъехь Ӏойтур бу. Ас Сайн тур царна тӀехьажор ду, царна дан дезарг Айса чекхдаккхалц».</verse>
				<verse number="17">Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «ЛадогӀа, тийжаран зударий схьакхайкха, царах уггар говзанаш схьакхайкха, уьш кхуза схьабахкийтархьама».</verse>
				<verse number="18">Наха элира: «Сихха схьа а баьхкина, цаьрга вайна тӀаьхьа тийжар хӀоттадайта, вайн бӀаьргийн негӀарийн чоьш тӀера бӀаьрхиш охьаэхийта, юьхь тӀера хин тачанаш охьаэхийта».</verse>
				<verse number="19">Цийонна тӀехь тийжам хеза: «Вай баккъалла а хӀаллакьхилла, вай баккъалла а юьхьӀаьржачу хӀиттина. Вайн мохк бита безаш ду вай, вайн цӀенош дохийна дӀадаьхна».</verse>
				<verse number="20">ЛадогӀа, зударий, Везачу Элан даше. Цуьнан багара схьадевлла долу хӀара дешнаш шуна дӀахозийла: «Шайн зудабераш маьхьаршца делха Ӏамаде. ХӀара тезетан тийжам вовшашна Ӏамабе:</verse>
				<verse number="21">„Ӏожалла еана схьакхаьчна, иза вайн корашкахула чуеана, вайн гӀепашна чоьхьаяьлла. Иза урамновкъара вайн бераш а, майданашкара вайн кегий нах а хӀаллакбан гӀерташ ю“».</verse>
				<verse number="22">Ала: «Иштта боху Везачу Эло: „Аренашкахь дӀасадаьржина долу кхо санна, байинчеран декъий хир ду Ӏохкуш. Ялта хьокхуш волчунна тӀехьа Ӏохкуш долу хьаькхна кӀа санна, Ӏохкуш хир ду байъиначеран декъий. Уьш схьагулдан стаг а хир вац“».</verse>
				<verse number="23">Иштта боху Везачу Эло: «Шен хьекъалх дозалла деш хила ца веза хьекъалча, шен ницкъах дозалла деш хила ца веза ницкъ болуш верг а, ткъа хьал долуш верг шен хьолах дозалла деш хила а ца веза.</verse>
				<verse number="24">Амма дозалла дан лууш волчо Со шена кхетарх а, вовзарх а дозалла дойла. Лаьттахь безам а, бакъдерг а, нийсо а лелош волу Веза Эла Со хиларх цо дозалла дойла. И хӀуманаш ду Суна чӀогӀа тамехь дерш», — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="25">«Варелаш, хан тӀейогӀур ю, — боху Везачу Эло, — шайн догӀмашкахь бен сунт ца биначарна Ас таӀзар ден йолу.</verse>
				<verse number="26">Мисар-махкарчу а, ЯхӀуд-махкарчу а, Эдом-махкарчу а, Ӏаммин-махкарчу а, Муаби-махкарчу а, иштта яьссачу аренгахь бехаш болчу шайн гиччош тӀера месаш лоргуш болчу нахана тӀехь Аса таӀзар дийр ду, хӀунда аьлча массо а и къаьмнаш баккъалла а сунтдина дац, ткъа Исраилан массо а тӀаьхье цуьнан дагахь сунтдаза ю».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="10">
				<verse number="1">ЛадогӀа, исраилхой, Везачу Эло шайга бохуш долчуьнга.</verse>
				<verse number="2">Иштта боху Везачу Эло: «Кхечу къаьмнийн некъашкахула ма лела, стигаларчу билгалонех а ма кхера, кхин къаьмнаш, уьш бахьана долуш Ӏадийна делахь а.</verse>
				<verse number="3">Царна юкъахь лелаш долу динан Ӏадат эрна ду: хьуьнхахь дитт схьа а хададой, пхьеро агарца цунах кеп йоккху,</verse>
				<verse number="4">Цунна тӀе дети а, деши а дуьллий, хьостамашца дӀатуху, охьа ца дожийта.</verse>
				<verse number="5">И цӀуш кха тӀе дӀахӀиттош йолу мунданаш санна ю. Уьш бист а ца хилало, уьш карахь дӀасалелайо, шаьш уьш лела ца ло дела. Царах кхера ца оьшу, хӀунда аьлча цаьрга вон далур дац, амма цаьргара диканиг а дер дац».</verse>
				<verse number="6">Веза Эла, вац Хьоьца нислур волуш цхьа а! Хьо сийлахь-воккха ву, Хьан цӀе а ю еза Хьан нуьцкъалаллица!</verse>
				<verse number="7">Хьуна хьалха ларамах ца вуьзна мила хир ву, ва къаьмнийн Паччахь? Хьоьга и ларам хила догӀуш ма ду! Къаьмнийн массо а хьекъалчашна юкъахь я церан массо а паччахьашна юкъахь Хьоьца нислур волуш цхьа а вац!</verse>
				<verse number="8">Уьш массо а кхетам боцуш а, сонта а бу. Церан хьекъалалла эрна ду, дечигах йинчу цӀушкара иза схьадаларна.</verse>
				<verse number="9">Дуткъадина дети Таршашара деъна, ткъа деши Упазара деъна, цӀушна тӀедилла. И цӀуш бина бу дечиган пхьеро а, дешин пхьеран куьйгаша а. Церан духарш сийначу а, таьӀна-цӀечу а басахь ду. Уьш массо а говзачу белхалоша йина хӀуманаш ю.</verse>
				<verse number="10">Амма Веза Эла бакъволу Делан бен вац. Иза дийна волу Дела а, даима волу Паччахь а ву. Иза оьгӀазвахча, латта дегош хуьлу, Цуьнан оьгӀазалла къаьмнашка ла а ца ло.</verse>
				<verse number="11">(Аша, наха, иштта дӀаала цаьрга: «Цу цӀуша стигалш а, латта а ца кхоьллина, уьш лаьтта тӀера а, стигалшна бухара а дӀаяьхна хир ю».)</verse>
				<verse number="12">Шен нуьцкъалаллица Цо дуьне кхоьллина, Шен хьекъалаллица иза чӀагӀдина, Шен хьекъалца лаьтта тӀехула стигалш яржийна.</verse>
				<verse number="13">Цо къекъийтича, стигалан хиша гӀовгӀа йо. Дуьненан йистошкара Цо мархаш хьалаайайо. ДогӀанаш а догӀуш, Цо хаьштигаш до, Шен чӀоьнашна чуьра мох а арабоккху.</verse>
				<verse number="14">ХӀора стаг сонта а, хьекъал доцуш а ву. ХӀора куьпчи ша винчу цӀуно юьхьӀаьржачу хӀоттаво. Цо лалийна суьрташ харцдерг бен дац, церан кийрахь Ӏаь а, са а дац.</verse>
				<verse number="15">Церан цхьа а тайпана мах бац, уьш беламна йина ю. Кхел ечу хенахь уьш тӀепаза йовр ю.</verse>
				<verse number="16">Амма Якъубан тӀаьхьенан Дела иштта вац, хӀунда аьлча Иза массо а хӀуманан Кхоллархо ву, ткъа Исраилан къам Цуьнан долахь дерг ду. Цуьнан цӀе — массо а ницкъийн Веза Эла ю.</verse>
				<verse number="17">Шайн массо а хӀума схьагулде, Ярушалайман бахархой. Кестта гӀалина го бийр бу!</verse>
				<verse number="18">Везачу Эло боху: «ХӀокху лаьтта тӀера лаьллина дӀа а дахийтина, Аса хӀара къам цхьана готтачу метте чулоллур ду, шен лазар цунна хаадаллалц».</verse>
				<verse number="19">Ярушалайм-гӀалано боху: «Ма бала бу соьгахь, хӀара лазарна! И сан чов дукха хала ю. Аса аьллера: „Иза цамгар бен яц, со цунах толур ю“.</verse>
				<verse number="20">Сан четар хӀаллакдина, массо а цуьнан тӀергаш дӀаяьхна. Сан бахархой со йолчуьра дӀабахана, уьш кхузахь кхин бац. Четар дӀахӀоттош суна гӀо дан стаг а вац, иштта четаран шаршуш дӀатоха стаг а вац».</verse>
				<verse number="21">Вайн Ӏуйшкахь кхетам кӀезиг бу — уьш Везачу Элах дага ца бовлу. Цундела царна тӀера беркат дӀадирзина, церан массо а жа дӀасадаьржина.</verse>
				<verse number="22">ЛадогӀа хӀокху схьайогӀучу гӀовгӀане! Мохк бегош санна йолу гӀовгӀа къилбаседерчу махкара схьакхочу! Цуьнан эскаро ЯхӀудан гӀаланех яьсса аре йийр ю, царах чангӀалкхийн баннаш хир ду.</verse>
				<verse number="23">Суна хаьа, Веза Эла, адаман карахь доцийла цуьнан дахар, цуьнан карахь дац шен некъ билгалбаккхар.</verse>
				<verse number="24">Нисвехьа со, Веза Эла, амма Хьайн нийсонца бен иза ма дехьа. ОьгӀаз а вахана, суна таӀзар ма дехьа, сох хӀумма а воцург ца хилийтархьама.</verse>
				<verse number="25">Хьайн дералла охьаӀанаехьа Хьо вовзаза долчу къаьмнашна тӀе, Хьайга ца кхойкхучу халкъашна тӀе. Цара Якъубан тӀаьхье дӀакхаьллира, цаста а цестина, и къам дӀа а кхаьллина, иза Ӏаш болу мохк бассийна цара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="11">
				<verse number="1">Ярми-ЯхӀуга Везачу Элера кхаьчна болу хаам хӀара бу:</verse>
				<verse number="2">«Аса бинчу бертан тӀедожоршка ла а догӀий, уьш ЯхӀудан халкъе а, Ярушалаймехь бехаш болчаьрга а дӀаала.</verse>
				<verse number="3">Цаьрга дӀаала: „Иштта боху Исраилан Везачу Дала: хӀокху бертан тӀедожоршка ла ца доьгӀначу хӀора стагана неӀалт хир ду.</verse>
				<verse number="4">Оцу бертан тӀедожорш Аса шун дайшна тӀедехкина, Аса уьш эчиг лалош йолу пеш санна хиллачу Мисар-махкара арабохучу хенахь. Аса цаьрга аьллера: ‘Соьга ла а догӀий, Аса шуьца бинчу бертан тӀедожорш кхочуш а де, Аса шуна тӀедехкинчуьнга хьаьжжина. ТӀаккха шу Сан къам хир ду, Со шун Дела а хир ву.</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха хьалха шун дайшна Айса йина йолу чӀагӀо кхочушйийр яра Аса — Аса шуьрех а, мазах а дуьзна долу токхе латта лур дара царна’. Ткъа оцу лаьтта тӀехь шу хӀинца дехаш ду“». Ткъа аса жоп делира: «Амин, Веза Эла!»</verse>
				<verse number="6">Везачу Эло соьга элира: «Дерриг а хӀара Сан дешнаш ЯхӀуд-махкарчу гӀаланашкахь а, Ярушалайман урамашкахь а дӀакхайкхаде: „Аса шуьца бинчу бертан тӀедожоршка ла а догӀа, уьш кхочуш а де.</verse>
				<verse number="7">Мисар-махкара Аса шун дай арабаьхначу хенахь дуьйна, хӀара де тӀекхаччалц Аса шун дайшка юх-юха а дӀахьедар дора: ‘ЛадогӀа Соьга’, — бохуш.</verse>
				<verse number="8">Амма шун дайша Соьга ла а ца дугӀура, Со тергал а ца вора. Мелхо а, шайн вочу дегнийн аьрхалле хьаьжжина лелара уьш. Аса царна тӀедиллина и барт кхочушбе аьлла, амма цара иза кхочуш ца дина. Цундела Аса массо а хӀокху бертан таӀзарш царна тӀехьажийра“».</verse>
				<verse number="9">Везачу Эло соьга элира: «Суна хууш ду ЯхӀуд-махкара халкъ а, Ярушалайман бахархой а вовшашца къайлаха барт беш хиларх лаьцна.</verse>
				<verse number="10">Айса аьллачуьнга ладогӀарх дӀакъихкинчу шайн дайша летийначу къиношка юхабирзира уьш. Кхечу деланашна тӀаьхьа а хӀиттина, царна Ӏамал йора цара. Исраилан а, ЯхӀудан а тӀаьхьенаша Аса шайн дайшца бина барт бохийра.</verse>
				<verse number="11">Цундела иштта боху Веза Эла волчу Аса: „Аса кестта царна бохам боккхур бу, уьш цунах кӀелхьар а бовлалур бац. Ткъа уьш Соьга кхайкха буьйлабелча, Суна хезар а дац.</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь а, Ярушалаймехь а бехаш берш шаьш хаза хьожа йогӀу сегӀаз дагочу деланашка кхойкхур бу, амма бохам баьккхича, хӀокхаьрга цхьана а тайпана кӀелхьарбахалур бац уьш.</verse>
				<verse number="13">Хьайн гӀаланаш мел ю, деланаш а бу хьан, ЯхӀудан халкъ, ткъа Ярушалаймехь хьан урамаш мел ду, дегаза харцдела волчу оцу БаӀална сагӀа доккху меттигаш кечйина ахь“.</verse>
				<verse number="14">Ярми-ЯхӀу, оцу нехан дуьхьа доӀанаш ма де, церан дуьхьа Соьга хӀумма а ма деха, хӀунда аьлча цара, шайна бохам баьлча, Соьга кхайкхахь Суна дӀахезар дац».</verse>
				<verse number="15">Везачу Эло халкъе элира: «Суна дезаш долчу къомо дуккха а къинош летийна, цундела хӀун бакъо ю церан, Сан цӀенна юххехь хила? Суна сагӀина лерина долу жижиг а цара шайна дӀадоккху. Делахь а, Аса царна таӀзар дечу хенахь, даккхийден бахьана хир ма дац церан!</verse>
				<verse number="16">Веза Эла волчу Аса Сан къам долчу хьох лаьцна аьллера, хьо хазачу кепара болу стоьмаш тӀехь а болуш лаьттачу сийначу зайтдиттах тера бу. Ткъа хӀинца, доккхачу дарцан гӀовгӀанца, Аса цунна цӀе латор ю, цуьнан гаьннаш цхьана а пайденна а хир дац.</verse>
				<verse number="17">И дитт массо а ницкъийн Везачу Эло доьгӀна ду. Цо ма-аллара, и бохамаш хьуна тӀе кхачаран бахьана Исраилан а, ЯхӀудан а тӀаьхьенаша дина долу зуламаш ду. БаӀална сагӀанаш а дохуш, цара Со оьгӀазвахийтина».</verse>
				<verse number="18">Везачу Эло суна схьадиллира цхьаболчу вочу нахана дагадеънарг, суна иза хаийтархьама.</verse>
				<verse number="19">Со хьалха урс хьакха буьгуш болу жима Ӏахар санна вара: суна ца хаьара цара сайна дуьхьал лелош дерг. Цара сох лаьцна бохура: «Дитт а, цо кхиийнарг а хӀаллакдан деза вай. Дийначеран лаьтта тӀера иза дӀаваккха веза вай, дуьнен чохь цуьнан цӀе кхин ца яккхийта».</verse>
				<verse number="20">Массо а ницкъийн Веза Эла, Ахь нийсонца кхел йо, адамийн дегнаш а, хьекъал а зоь. Суна Ахьа царна бекхам беш ган лаьара, хӀунда аьлча сан гӀуллакх Аса Хьан кара дӀаделла.</verse>
				<verse number="21">ТӀаккха Веза Эла со вен гӀерташ болчу Ӏанатот-гӀаларчу цхьаболчу божарех лаьцна вистхилира соьга. Цара соьга аьллера: «Везачу Элан цӀарах кхайкхамаш ма бе, оха вуьйр ву хьо».</verse>
				<verse number="22">Цундела массо ницкъийн Везачу Эло элира: «Аса царна таӀзар дийр ду. Церан кегий нах туьро бойур бу, ткъа кӀентий а, зудабераш а мацалла лийр ду.</verse>
				<verse number="23">Аса бохам бийр бу Ӏанатот-гӀаларчу оцу божаршна, царна бекхам бечу дийнахь. Царах цхьа а стаг дийна вуьсур вац».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="12">
				<verse number="1">Веза Эла, аса гӀуллакхна Хьан кхеле кхайкхахь, Хьо массо а хенахь бакъ ву. Делахь а, харцонах лаьцна хатта лаьа суна: Ӏесачеран аьтто хӀунда боккху церан некъашкахь? Дерриг а тешаме боцу лелачеран синтем хӀунда хуьлу?</verse>
				<verse number="2">Ахь доьгӀна долчу диттех тера бу уьш. Орамаш а хецна, хьала а кхиъна, цара стом ло. Хьо массо а хенахь церан багахь ву, амма церан дегнаш Хьуна гена ду.</verse>
				<verse number="3">Ткъа со Хьуна вевзаш ву. Хьуна со гуш ву, Веза Эла, сан дог Хьайца муха ду а хаьа Хьуна. Дайа дезаш долу уьстагӀий санна, дӀакхехьа уьш! Байаран де тӀекхаччалц дӀакъастабехьа уьш!</verse>
				<verse number="4">Мел ханна хир ду хӀара латта дакъийна, мел ханна хир ю хӀора кха тӀехь буц якъаелла? Цигахь Ӏаш болчеран Ӏесалла бахьана долуш, олхазарш а, акхарой а хӀаллакьхуьлуш ю. Цу тӀе а наха боху: «Далла ца хаьа тхан чаккхе муха хир ю».</verse>
				<verse number="5">Везачу Эло элира: «Ярми-ЯхӀу, гӀаш болчаьрца хьодуш а хьо кӀадвелла хилча, говрахь болчаьрца муха къовсалур ву хьо? Шерачу аренгахь а хьо тасалуш хилча, Йордан-хин йистерачу боьлакашкахь хӀун дийр ду ахьа?</verse>
				<verse number="6">Ур-атталла хьан гергарчара, — хьан ден цӀийнах болчара, — ур-атталла уьш хьуна ямарта хилла. Цара хьуна дуьхьал мохь бетта. Ма теша царах, уьш хьайга эсала бистхилахь а».</verse>
				<verse number="7">«Аса Со чохь Ӏаш долу къам дитина, Сайн долахь долу халкъ дӀатеттина. Сайна уггар дукха дезаш дерг церан мостагӀийн кара дӀаделла.</verse>
				<verse number="8">Сан долахь долу къам Суна дуьхьалдаьлла. Хьуьнхахь долчу лоьмо санна, цо Суна дуьхьал гӀигӀ до. Цундела Суна иза ца деза.</verse>
				<verse number="9">Сан къам акхачу олхазарх тарделла, гонах ломъаьрзунаша дӀасаийзош долчу. ДӀа а гӀой, аренан акхарой схьагулъе! Схьаялае уьш, иза дӀакхаллархьама.</verse>
				<verse number="10">Дуккха а болчу Ӏуйша Сан кемсийн беш хӀаллакйина, Сан долахь дерг когашца хьийшина. Сан хьоме латта цара яьсса аре йина дӀахӀоттийна.</verse>
				<verse number="11">И латта цара доха ма дина, хӀинца иза дакъийна а, дассийна а ду. Берриг мохк а яьсса аре ю, цунна дола дан стаг а вац.</verse>
				<verse number="12">Яьссачу аренгахь йолчу массо а ерзинчу лакхенашкахула мостагӀий схьабаьхкина, хӀуманаш хӀаллакьярхьама. Везачу Элан туьро нах дӀакхоллу, мехкан цхьана йистера вукху йисте кхаччалц. Цхьа а машарехь Ӏаш вац.</verse>
				<verse number="13">Наха кӀа дӀадийна, амма лаьтта тӀера коканаш схьадаьхна. Цара къахьегна, амма цунах пайда ца эцна. Цара гулдинчу ялто шаьш юьхьӀаьржачу хӀиттабо, Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахана хилар бахьана долуш».</verse>
				<verse number="14">Везачу Эло иштта боху: «Аса дуьйцур ду хьуна исраилхойн лулахошна Айса ден дерг. И нах чӀогӀа вон нах бу, уьш Аса исраилхошна делла долчу латтанашна тӀелетта. Аса уьш шайн мехкашкара аракхуьссур бу, царна юккъера ЯхӀудан тӀаьхье схьайоккхур ю.</verse>
				<verse number="15">Амма уьш орамашца дӀабаьхначул тӀаьхьа, Аса царах кхин а къинхетам бийр бу. ХӀора къам Аса шен-шен махка а, лаьтта а тӀе схьадалор ду.</verse>
				<verse number="16">Сан къоман некъаш цара баккъалла а Ӏамош делахь, дийна волчу Везачу Элах цара дуй бууш хилахь (дӀаяханчу заманахь цара Сан халкъ БаӀалах дуй баа Ӏаморе терра), тӀаккха церан, Сан къомана юкъахь а Ӏаш, аьтто хир бу.</verse>
				<verse number="17">Амма оцу къаьмнаша Аса бохучуьнга ла ца догӀахь, уьш, шайн орамашца дӀа а баьхна, хӀаллакбийр бу Аса», — боху Везачу Эло.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="13">
				<verse number="1">ХӀара ду Везачу Эло Соьга аьлларг: «ГӀой, хьайна дуткъачу кӀадих дина доьхка эца, хьайн гӀодаюкъах дӀа а дехкий, иза хих ларде».</verse>
				<verse number="2">Везачу Эло ма-аллара, доьхка а эцна, иза сайна дӀадихкира аса.</verse>
				<verse number="3">ШолгӀа а Везачу Элан дош кхечира соьга:</verse>
				<verse number="4">«Хьайн гӀодаюккъехь долу айхьа эцна долу доьхка схьа а эций, Эпрат-хин йисте гӀо. Цигахь тархашна юккъехь болчу кӀогана чохь къайладаккха».</verse>
				<verse number="5">Аса Эпрат-хи тӀе а вахана, Везачу Эло ма-аллара, сайн доьхка къайладаьккхира.</verse>
				<verse number="6">ТӀаьхьо Везачу Эло соьга элира: «Эпрат-хи тӀе а гӀой, Аса хьайга къайладаккхийтина долу доьхка схьаэца».</verse>
				<verse number="7">Аса, Эпрат-хи тӀе а вахана, сайн доьхка схьа а лехна, хьалха иза къайладаьккхинчу меттигера схьадаьккхира. Амма и доьхка лелон йиш йолуш дацара — иза телхина дӀадаьллера.</verse>
				<verse number="8">ТӀаккха соьга юха а Везачу Элан дош кхечира:</verse>
				<verse number="9">«Веза Эла волчу Аса иштта боху: Оццу тайпана Аса йохор ю ЯхӀудан куралла а, Ярушалайман йоккха куралла а.</verse>
				<verse number="10">ХӀара вон халкъ Сан дешнашка ладогӀарх дӀакъаьхкина. Уьш, шайн аьрхачу дегнаша бохург а деш, кхечу деланашна тӀаьхьахӀутту, царна Ӏамал а еш, суждане а оьхуш. Цундела и къам хӀокху доьхкарх терра хир ду — уьш цхьанна а хӀуманна пайденна боцуш бина дӀахӀиттор бу.</verse>
				<verse number="11">Адаман гӀодаюккъехь доьхка чӀогӀа дӀадехкаре терра, Аса Исраилан а, ЯхӀудан а ерриге а тӀаьхье Сайна чӀогӀа улло ялийнера, — боху Везачу Эло, — царах Сайн къам дархьама, уьш Сан сийлалла а, дозалла а, хазалла а хилла дӀахӀиттийтархьама. Амма цара Соьга ла ца дуьйгӀира».</verse>
				<verse number="12">«Ярми-ЯхӀу, халкъе дӀаала: „Исраилан Везачу Дала боху: ‘ХӀора чагӀаран кхаба чагӀарх юьзна хила еза’. Ткъа цара хьоьга эр ду: ‘Тхуна ца хаьа те хӀора чагӀаран кхаба чагӀарх юьзна хила езийла?’“</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха ахьа цаьрга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Аса ваххал чагӀарца вузор ву хӀора кху лаьтта тӀехь вехаш волу стаг — Даудан тӀаьхьенах болу паччахьаш а, динан дай а, пайхамарш а, иштта Ярушалаймехь вехаш мел волу стаг а.</verse>
				<verse number="14">Кхабанаш санна, вовшахтухур бу Аса уьш — кӀентий шайн дайшца цхьаьна, — боху Везачу Эло. — Сайн къинхетамалле а, я къахетаре а, я кхооре а уьш хӀаллак ца беш, Со сацавойтур вац Аса’“».</verse>
				<verse number="15">Ла а догӀий, тергам бе! Кура ма хила, хӀунда аьлча вистхуьлуш верг Веза Эла ву.</verse>
				<verse number="16">Шайн Везачу Делан сий де, Цо бода тӀебаийтале, маьркӀажехь долчу гунаш тӀехь шайн когаш тийсабалале. Аша серлоне сатуьйсу, амма Цо цунах Ӏаьржа бода бийр бу.</verse>
				<verse number="17">Нагахь аша Везачу Эле ла ца догӀахь, со къайла а ваьлла, воьлхур ву, шун куралла бахьана долуш. Сан белхар къаьхьа хир ду, Сан бӀаьргаш хих буьзна хир бу, Везачу Элан жа йийсаре дӀадигна хиларна.</verse>
				<verse number="18">Везачу Эло соьга элира: «ДӀаала паччахье а, паччахьан нене а, шайн паччахьан гӀанташна тӀера охьабисса, хӀунда аьлча церан кортошна тӀера сийлаллин таьжнаш охьаэгна.</verse>
				<verse number="19">НегӀаб олучу яьссачу арара йолу гӀаланаш дӀакъевлина ю, уьш схьаелла стаг а вац. ЯхӀудан дерриг а къам йийсаре дӀадуьгуш ду».</verse>
				<verse number="20">Хьажал Ярушалайм, хьайн бӀаьргаш дӀахьажабай: къилбаседехьара хьан мостагӀий тӀебогӀуш бу! Ӏалашдан хьоьга дӀаделла адамийн жа мичахь ду? Ахьа дозалла деш долу уьстагӀий мичахь ду?</verse>
				<verse number="21">ХӀун эр ду ахьа, ахьа айхьа Ӏамийна болу бартхой Везачу Эло хьуна тӀехь хьаькамалла дан дӀахӀиттийча? Цундела лоцур юй те хьо лазарша, берах хьийзош йолу зуда санна?</verse>
				<verse number="22">Ахьа хьайга хаттар дан мега: «ХӀунда беана суна тӀе хӀара бала?» — аьлла. Дагар ца даллал дукха къинош летийна ахьа хьайх. Цундела хьан кучан юх яьттӀа ю, когаш берзина а бу.</verse>
				<verse number="23">Хийцалур дуй хушахочуьнга шен чкъор, я цӀоькъе дӀадахалур дуй шена тӀера томмагӀаш? Иштта вонаш дан Ӏемина долчу шуьга далур дуй дика хӀума?</verse>
				<verse number="24">Везачу Эло боху: «Аса дӀасадаржор ду шу, яьссачу аренгарчу мохо дӀасаяржош йолу кегаш санна.</verse>
				<verse number="25">Иштта кхаж баьлла хьан, Аса хьуна билгалбаьккхина кхоллам бу иза, — боху Везачу Эло, — Со виц а вина, харцделанех хьо тешна Ӏаш хиларна.</verse>
				<verse number="26">Аса-айса хьан кучан юх хьан юьхь тӀе хьалатосур ю, хьан бехке меттиг массарна а дӀагайта.</verse>
				<verse number="27">Суна гина хьан боьха лелар а, говр санна, хьо оре еана хилар а, гунаш тӀехь а, аренашкахь а ахь лелийна хьан кхахьпалла а. Суна гина хьан дегаза цӀушна Ӏамалъяр. Ма бала богӀур бу хьуна тӀе, Ярушалайм. Ма кестта цӀанъелла дӀахӀуттур яц хьо».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="14">
				<verse number="1">ХӀара дош Везачу Элера Ярми-ЯхӀуга йокъа бахьана долуш кхечира:</verse>
				<verse number="2">«ЯхӀуд-мохк боьлхуш бу, цуьнан гӀаланаш маргӀалъюлу. Церан нах, тийжаш, Ӏохкуш бу, Ярушалаймера орца ду доккхуш.</verse>
				<verse number="3">Хьолахоша шайн ялхой хи дан бохуьйту. Уьш гӀунаш тӀе бахча, царна хи ца карадо. Яьссачу кхабанашца уьш юхабоьрзу. Дог а доьхна, юьхьӀаьржачу а хӀиттина, цара шайн кортош къайладоху.</verse>
				<verse number="4">ДогӀа ца дарна, латта лилхина. латталелорхой дог доьхна лаьтта, цара кортош тӀе хӀума туьллу.</verse>
				<verse number="5">Ур-атталла арахь болчу сено а, ша йина йолу кӀорни юьту, цунна яла буц йоцу дела.</verse>
				<verse number="6">Акха варраш а ду ерзинчу лакхенашкахь лаьтташ, чангӀалкхаша санна, шайн мерех хӀаваъ чууьйзуш. Церан бӀаьргаш кхоьлина бу, яа буц цахилар бахьана долуш».</verse>
				<verse number="7">Тхан къиноша тхуна дуьхьал тоьшалла дахь а, ва Веза Эла, Хьайн цӀеран дуьхьа гӀо дехьа тхуна. Тхан ямарта хилар дукхазза а хилла. Хьуна дуьхьал къинош летийна оха.</verse>
				<verse number="8">Хьо Исраилан халкъан сатийсам хилла лаьтта, Хьо бохамах тхо кӀелхьардохург ву. Ткъа хӀунда ву Хьо тхуна хийра стаг санна, буьйса яккха бен чуван воцу некъахо санна?</verse>
				<verse number="9">ХӀунда ву Хьо цецваьлла волу стаг санна? Хьо цхьа а кӀелхьарваккха ницкъ боцучу тӀемалочух тера ву. Амма Хьо, Веза Эла, тхуна юкъахь ву, Хьан цӀе тхуна тӀехь лаьтташ ю. Ма дитахьа тхо Хьайгара гӀо доцуш!</verse>
				<verse number="10">ХӀара боху Везачу Эло оцу халкъах лаьцна: «Цу нахана дукхадеза Сох къехкар, шайн когаш ца сацало цаьрга. Цундела Аса уьш тӀе ца оьцу. Цара летийна къинош Суна дагахь лаьттар ду. Цара летийначу зуламашна Аса царна таӀзар дийр ду».</verse>
				<verse number="11">Везачу Эло элира соьга: «Оцу халкъан диканна доӀанаш ма де.</verse>
				<verse number="12">Цара марханаш кхабахь а, цара орца даккхаре ладугӀур долуш вац Со. Дийнаташ дагоран я кӀен сагӀанаш цара Суна дахахь а, Аса уьш тӀеоьцур бац. Мелхо а, туьраца, мацаллица, Ӏожаллин уьнца хӀаллакбийр бу Аса уьш».</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха аса элира: «Ва Хьалдолу Эла! ЯхӀудан халкъе пайхамарша олуш ду, Ахьа цаьрга иштта аьлла бохуш: „Нахана мостагӀийн тарраш гур дац, цара мацалла хьоьгур яц. Аса машар латтор бу хӀокху лаьтта тӀехь“».</verse>
				<verse number="14">ТӀаккха Везачу Эло соьга элира: «Цу пайхамарша Сан цӀарах бинарш харцкхайкхамаш бу. Уьш Аса баийтина а, къобалбина а бац, Аса цаьрга хӀумма а ца элира. Цара бо хаамаш харцсуьрташна а, даьссачу паьлнашна а, шайн дегнийн Ӏехорна а тӀехь лаьтташ бу.</verse>
				<verse number="15">Цундела Веза Эла волчу Аса Сайн цӀарах хаамаш беш болчу цу харцпайхамарех лаьцна боху: уьш Аса баийтина бац. Цара Соьгара долуш санна боху, хӀокху лаьтта тӀе, герз карахь а долуш, мостагӀий богӀур бац, иштта кхузахь мацалла а хӀуттур яц. Ткъа и пайхамарш тур а, мацалла а бахьана долуш лийр бу.</verse>
				<verse number="16">Церан кхайкхамашка ладоьгӀнарш Ярушалайман урамашкахь дӀасакхиссина хир бу, туьро а, мацалло а хӀаллак а бина. Уьш дӀабохка стаг а хир вац: я церан зударий а, я кӀентий а, я зудабераш а. Цара лелийначу вонна догӀу таӀзар Аса дийр ду царна.</verse>
				<verse number="17">ХӀара Сан дош цаьрга дӀакхачаде: „Дийнахь а, буьйсанна а, ца соцуш, Сан бӀаьргаш хих бузийла, хӀунда аьлча Сан хьомечу къомана чов йина Сан йоӀстаг йолчунна боккха бохам баьлла.</verse>
				<verse number="18">Аренга Со араваьлча, туьро хӀаллакбинарш го Суна, гӀала Со чувеача, мацалло кӀелбитинарш а го. Пайхамарш а, динан дай а бу лаьттахула кхетам дӀабаьлла лелаш“».</verse>
				<verse number="19">Веза Эла, кхоччуш дӀатеттина те Ахьа ЯхӀудан халкъ? Баккъал а дог даьлла те Хьан Цийонах? Ма чӀогӀа ю-кх Ахьа тхан дагна йина чевнаш, ма дац-кх царна дан дарба. Оха барт хиларе сатийсинера, амма дика хӀума цхьа а гучу ца долу, тхаьш тодаларе сатийсинера, амма кхин а доьхнарг тӀекхочу.</verse>
				<verse number="20">Веза Эла, оха мукӀарло до тхаьш лелийначу Ӏесачу гӀуллакхашна а, тхайн дайша летийначу къиношна а. Хьуна дуьхьал оха къа латийна.</verse>
				<verse number="21">Веза Эла, Хьайн цӀеран дуьхьа, ма таттахьа тхо дӀа, Хьайн сийлаллин Ӏарш сийсаз ма яккхахьа. Тхоьца Ахьа бина болу барт дагахь латта а бехьа, боха а ма бехьа.</verse>
				<verse number="22">Къаьмнийн цӀуйн догӀа даийта ницкъ ма ца кхочу. Ткъа стигалийн бац ницкъ Хьоьгара а доцуш догӀа даийта. И деш верг Хьо ма ву, тхан Веза Дела! Хьоьца ю тхан массо а дегайовхо, хӀунда аьлча Ахьа деш ду и дерриг а.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="15">
				<verse number="1">Везачу Эло соьга элира: «Муса-пайхамар а, Шамъал-пайхамар а ЯхӀудан халкъан дуьхьа Суна хьалха дехарш деш хилча а, Аса цу халкъах къинхетам бийр бацара. ДӀалахкахьа Со волчуьра и нах, дӀабахийтахьа уьш.</verse>
				<verse number="2">Цара „Тхо стенга гӀур ду?“ аьлла, хаттар дан тарло хьоьга. ТӀаккха цаьрга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Ӏожаллина леринарг Ӏожаллина гӀур ву, туьро вен леринарг туьрана гӀур ву, мацаллех вала леринарг мацаллина гӀур ву, ткъа йийсаре вигийта леринарг йийсаре гӀур ву.</verse>
				<verse number="3">Деа тайпана таӀзар дийр ду Аса царна, — боху Везачу Эло, — уьш байъийта тур а, церан декъий дӀасаийзадайта жӀаьлеш а, стигалара олхазарш а, къиза акхарой а церан декъий даийта.</verse>
				<verse number="4">Дуьненан массо а кхечу пачхьалкхашна ирча масал дина дӀахӀоттор ю Аса Ярушалайм, яхӀудхойн паччахь волчу Хьузакх-ЯхӀун кӀанта Маннаша динарг бахьана долуш.</verse>
				<verse number="5">Цхьаммо а хьох къинхетам бийр бац, Ярушалайм, цхьа а стаг, дог доьхна, воьлхур вац, я хьоьгахь хӀун хьал ду аьлла, хоттур а дац.</verse>
				<verse number="6">Со вити ахь, Ярушалайм, — боху Везачу Эло, — ткъа ахьа Суна букъ берзий. Цундела Аса таӀзар дийр ду хьуна, хьо хӀаллак а йийр ю. Со кӀадвелла къинхетамаш бан.</verse>
				<verse number="7">КӀа мохехь цӀандаре терра, Аса уьш оцу мехкан массо а гӀаланашкара аракхуьссур бу. Сан къоман бераш дӀа а даьхна, Аса уьш хӀаллакбийр ма бу, шайн харцачу новкъах уьш дӀа ца бирзина дела.</verse>
				<verse number="8">ХӀордан йистерачу гӀамарал а дукха хир бу бисина болу зударий. Делкъахенахь хӀаллакдийриг вохуьйтур ву Аса церан къонахойн наношна дуьхьал. ЦӀеххьана тосур бу Аса царна тӀе кхерам а, къемат а.</verse>
				<verse number="9">ВорхӀ кӀант винарг ю са ийзош Ӏуьллуш. Цуьнан малх, де суьйренга а далале, чубуьзна, ткъа иза юьхьӀаьржачу а хӀоьттина, Ӏуьллуш ю. МостагӀийн таррашка Аса хӀаллакбойтур бу цунах дийна бисинарш’, — боху Везачу Эло“».</verse>
				<verse number="10">Дагахьбаллам бу суна, сан нана, ахьа со дуьнен чу ваккхарна: со ву массо а мохк бехке бан безаш верг. Аса цкъа а нахера декхар а ца даьккхина, я юхалург а ца делла, амма массара а сардамаш кхайкхош верг со ву.</verse>
				<verse number="11">Везачу Эло жоп делира: «Аса хьо дикачу Ӏалашонна билггал паргӀатвоккхур ву. Бохам тӀе а беана, бала тӀехӀоьттинчу дийнахь Аса хьан мостагӀашка хьоьга дехарш дойтур ду.</verse>
				<verse number="12">Эчиге я йоьзе дохалур дуй те къилбаседехьара долу эчиг?</verse>
				<verse number="13">ЯхӀудан хьал а, хазнаш а Аса цхьа а мах боцуш мостагӀашна дӀалур ю. Иза массо а меттехь цара летийна къинош бахьана долуш хир ду.</verse>
				<verse number="14">Аса уьш, мостагӀийн лолле дӀа а белла, шайна бевзаш боцучу махка дӀабохуьйтур бу. Сан дералло цӀе латор ю, ткъа оцу цӀеро уьш дӀакхоллур бу».</verse>
				<verse number="15">Веза Эла, Хьо сох кхеташ ма ву. Дагаваийтахьа Хьайна со, гӀо дехьа. Сан дуьхьа бекхам бехьа сан мостагӀашна. Цара со веллал чӀогӀа собаре ма хила цаьрца. Хьуна хууш ма ду, со Хьан дуьхьа хьийзош вуйла!</verse>
				<verse number="16">Хьан дешнаш соьга схьакхечира, аса уьш сайн кийрахь дӀадехкина. Оцу дешнаша со ирс долуш вина, сан дага чохь самукъадалар а кхоьллина, хӀунда аьлча со Хьан долахь ма ву, массо а ницкъийн волу Веза Дела!</verse>
				<verse number="17">Со цкъа а ца хилла боьлуш, сакъоьруш болчу нахана юкъахь. Хьан куьйга кӀелахь а Ӏаш, суна уллохь цхьа а вацара, ткъа нахана долчу эргӀадвийларх Ахь вуьзира со.</verse>
				<verse number="18">ХӀунда бу те хӀара лазам хедар боцу, хӀунда ца йоьрзу те сан чов дӀа? Веза Эла, Хьо соьца Ӏехош долу татол санна хир ву? Хьо соьца цатешаме йолу Ӏовраш санна хир ву?</verse>
				<verse number="19">Везачу Эло элира: «Нагахь санна хьо Суна тӀе юхаверзахь, Аса юхаметтахӀоттор ву хьо, кхидӀа а хьоьга Сайна хьалха гӀуллакх дайтархьама. Нагахь санна ахь дуьйцург мехала делахь, нагахь санна иза эрна дацахь, хьо кхин а Сан туркх хир ву. И нах хьуна тӀе оьхуш хир бу, амма хьо царна тӀе ваха ца веза.</verse>
				<verse number="20">Оцу нахана хьалха Аса хьо мокхазан берд санна вийр ву. Уьш хьуна дуьхьал бевр бу, амма хьо цаьрга эшалур вац, хӀунда аьлча Со хьоьца ву, хьо паргӀатваккха а, кӀелхьарваккха а. — боху Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="21">Аса кӀелхьарвоккхур ву хьо вочу нехан карара а, иштта паргӀатвер ву хьо къизачу нехан карара а».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="16">
				<verse number="1">Везачу Элан дош кхечира соьга:</verse>
				<verse number="2">«Ахьа зуда яло мегар дац, ма хилийта хьайн кӀентий а, зудабераш а хӀокху махкахь.</verse>
				<verse number="3">Иштта боху Веза Эла волчу Аса хӀокху махкахь бина болчу кӀентех а, йоӀарех а лаьцна, цу берийн дайх а, нанойх а лаьцна:</verse>
				<verse number="4">И нах Ӏожаллин уьнех лийр бу. Церан декъашна воьлхуш цхьа а хир вац, уьш цхьанна а метте дӀа а бухкур бац. Церан декъий лаьтта тӀехь, кхо санна, Ӏохкуш хир ду. И нах мостагӀийн тарраша а, мацалло а хӀаллакбийр бу, ткъа церан декъий олхазарша а, акхароша а дуур ду».</verse>
				<verse number="5">Цундела иштта боху Везачу Эло: «Тезет долчу керта ма гӀолахь, цигахь кадам а ма белахь, хӀунда аьлча Аса и къам машарца кхин декъалдийр дац, — боху Везачу Эло, — царна Сан безам а, къинхетам а кхин гойтур бац.</verse>
				<verse number="6">Махкахь цӀе яхана болу нах а, къен нах а хӀокху лаьтта тӀехь лийр бу. Цхьаммо а уьш дӀа а бухкур бац, цхьа а стаг царна воьлхур а вац. Белларш дагахь латто, цхьаммо а шен дилха хедор дац, ткъа цхьаммо а коьртара месаш лоргур яц церан дуьхьа.</verse>
				<verse number="7">Беллачарна боьлхуш болчу нахана цхьаммо а яа хӀума а яхьар яц, церан догъэцархьама. Цхьаммо а кад кховдор бац цаьрга, шайн да я нана яларна церан догъэцархьама.</verse>
				<verse number="8">Иштта церан тойне а ма гӀолахь, цаьрца дууш, молуш сакъерархьама».</verse>
				<verse number="9">Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Кестта Аса сацор ду кхузара самукъане аьзнаш а, зударий балош болчеран а, нускалийн а аьзнаш а. Иза шу дехачу заманахь хир долуш ду».</verse>
				<verse number="10">«Ярми-ЯхӀу, ахьа яхӀудхошка хӀара дӀадийцича, цара хьайга: „ХӀунда хӀоттийна тхоьга Везачу Эло хӀара боккха бала, тхоьгара хӀун даьлла, Везачу Элана хьалха хӀун къинош летийна оха?“ аьлла, хаттахь,</verse>
				<verse number="11">ахьа жоп дала деза: „И шуна хилларг дӀаяханчу заманашкахь шун дай Сох дӀаберзар бахьана долуш хилла, — боху Везачу Эло. — Кхечу деланашна тӀаьхьа а хӀиттина, царна Ӏамал а йора, царна суждане а оьхура уьш. Со дӀа а теттина, цара Сан товрат-хьехамаш лар ца бора.</verse>
				<verse number="12">Амма аша шайн дайшачул а чӀогӀа дукха къинош летийна. Шух хӀорра а шен вочу деган аьрхаллица лелаш ву, амма Соьга ла ца дугӀу аша.</verse>
				<verse number="13">Цундела Аса шу, кху лаьтта тӀера дӀа а кхиссина, шуна а, я шун дайшна а девзаш доцучу махка дӀадохуьйтур ду. Цигахь лелар ду шу дийнахь а, буса а кхечу деланашна Ӏамал еш, ткъа Аса шух къинхетам бийр бац“».</verse>
				<verse number="14">«Делахь а, кестта тӀекхочур ю цхьа зама, — боху Везачу Эло, — Исраилан халкъ Мисар-махкара арадаьккхинчу дийна волчу Везачу Элах адамаша кхин чӀагӀо йийр йоцу.</verse>
				<verse number="15">Мелхо а Исраилан халкъ къилбаседехьарачу махкара а, массо а Ша уьш дӀабахийтина долчу латтанашкара а юхадерзийначу дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йийр ю цара. Церан дайшна деллачу лаьтта тӀе юхаберзор бу Аса уьш».</verse>
				<verse number="16">«Кестта Аса дуккха а чӀерийлецархой хьажор бу цига, — боху Везачу Эло. — Цара и нах схьалоьцур бу. Цул тӀаьхьа Аса иччархой бохуьйтур бу, цаьрга и нах массо а лаьмнашкара а, гунаш тӀера а, тархашна юккъехь йолчу хераллашкара а дӀабахийта.</verse>
				<verse number="17">Цара мел деш дерг Суна гуш ду. Цаьрга цхьа а хӀума Сох къайладаккхалур дац, церан къинош Сан бӀаьргаш хьалха лаьтташ ду.</verse>
				<verse number="18">Уьш юхаметтахӀоттабале, цара лелийначу зуламашна а, цара летийначу къиношна а догӀург шозза дӀалур ду Аса оцу нахана, хӀунда аьлча, декъий санна, са доцучу шайн цӀушца цара Сан латта бехдина, шайн дегазчу харцделанех цара Сан долахь дерг дуьзна».</verse>
				<verse number="19">Веза Эла! Хьо ву сан ницкъ а, сан ондалла а, де доьхначу дийнахь сан дӀалечкъийла а! Хьо волчу догӀур ду къаьмнаш дуьненан массо а маьӀӀера. Цара эр ду: «Тхан дайн харцделанаш хилла, уьш царна Ӏамал еш а хилла. Амма цу цӀуша царна цхьа а тайпана гӀо ца дина.</verse>
				<verse number="20">Йиш юй адамийн шайна деланаш кхолла? Уьш куьйга дина суьрташ ма ду, церан деланаш хила йиш а ма яц!»</verse>
				<verse number="21">«Цундела Аса и нах Ӏамор бу. Аса гойтур ю царна Сайн нуьцкъалалла а, гӀора а. ТӀаккха хуур ду царна Со Веза Эла вуйла!»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="17">
				<verse number="1">Везачу Эло боху: «ЯхӀудан халкъан къа аьчка уьрсаца дӀаяздина ду тӀулгах динчу нехан дегнашна тӀехь. Церан къа мокхазца хедийча санна ду сагӀа доккхучу кхерчийн маӀаш тӀехь.</verse>
				<verse number="2">Церан берашна массо а ханна дагаоьху шаьш кечйина йолу сагӀа доккху меттигаш а, Ашера-далла лерина болу шайн дечиган бӀогӀамаш а. Ма „хаза“ дӀахӀиттийна бу уьш баьццарчу дитташна уллохь а, лекхачу гунаш тӀехь а,</verse>
				<verse number="3">лаьмнаш тӀехь а, аренашкахь а! Шун хьал а, массо а хазнаш а Аса цхьа а мах боцуш мостагӀашна дӀалур ду. Иза массо а меттехь аша летийна къинош бахьана долуш хир ду.</verse>
				<verse number="4">Аса шу, мостагӀийн лолле дӀа а делла, шайна бевзаш боцучу махка дӀадохуьйтур ду, хӀунда аьлча аша Сан оьгӀазаллин цӀе самаяьккхина. И цӀе массо а ханна йогур йолуш ю».</verse>
				<verse number="5">Иштта боху Везачу Эло: «НеӀалт хир ду, кхечу стагах а тешаш, цунах шена гӀортор а йина, шен дог Везачу Элана уллора дӀадаьккхина лелаш волчунна.</verse>
				<verse number="6">Иза яьссачу аренгахь йолу колл санна хир ву. Диканиг хилча а, цунна иза гур дац. Яьссачу аренгара екъачу меттигашкахь а, адамаш ца дехачу лаьттахь а Ӏийр ву иза.</verse>
				<verse number="7">Декъала хир ву Везачу Элах тешаш верг а, шен тӀетовжа меттиг — Веза Эла ерг а.</verse>
				<verse number="8">И стаг, хин татол долчохь дӀадоьгӀна долчу, шен орамаш хина уллохь хецна долу дитт санна хир ву. Цунна ца хаало йовхо тӀееача. Цуьнан гӀа баьццара лаьтта. Иза йокъанах а ца кхоьру, шена тӀе стом ца латош а ца хуьлу.</verse>
				<verse number="9">Мекара ду адаман дог, чӀогӀа телхина а ду иза. Цунна чохь дерг цхьанна а ца хаьа.</verse>
				<verse number="10">Амма Веза Эла волу Со цуьнан даг чохь дерг хаа йиш йолуш ву, цуьнан тешар зен йиш йолуш а ву, цу нахана царна доггӀург дӀадалархьама».</verse>
				<verse number="11">Моша кхечу олхазарша дина долчу хӀоаш тӀе тевна даккха охьахоу. Иштта ву хьарам хьал гулдина волу стаг. Шен дахар юккъе даьлча, иза и хьал дита дезаш а хир ву, шен дахар чекхдолучу хенахь юьхьӀаьржачу а хӀуттур ву.</verse>
				<verse number="12">Далла лерина долу оха дина деза цӀа дуьххьара дуьйна хьалаайина йолу Ӏарш санна ду.</verse>
				<verse number="13">Веза Эла, Хьо Исраилан сатуьйсийла ю. Хьо витинарш юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу. Хьох дӀабевллачеран цӀераш эхарте дӀаязйина ю, хӀунда аьлча шайна цӀеначу хин хьоста хилла лаьттина волу Веза Эла цара витина.</verse>
				<verse number="14">Дарба дехьа суна, Веза Эла, тӀаккха со толур вара. КӀелхьарваккхахьа со, Веза Эла, со кӀелхьарвер вара. Хьо ву аса хастамаш беш Верг.</verse>
				<verse number="15">Цара соьга боху: «Мичахь ду Везачу Эло хир ду аьлларг? Цо аьлларг кхочушхуьлийла!»</verse>
				<verse number="16">Царна вониг дан Аса Хьо сихвина вацара, бохаман де тӀекхачаре сатесна а вацара. Хьуна иза хууш ма ду. Сан багара даьлла дош Хьуна хьалха дӀадиллина ма ду.</verse>
				<verse number="17">Ма хилахьа суна кхераме, де эшначу дийнахь Хьо сан тӀетовжийла ма ю.</verse>
				<verse number="18">ЮьхьӀаьржачу хӀиттабехьа сан мостагӀий, ткъа со юьхькӀайчохь хилийтахьа. Човхабехьа уьш, ткъа со паргӀат хилийтахьа. Царна тӀе бохаман де тӀедаийтахьа, уьш кхоччуш хӀаллакбехьа.</verse>
				<verse number="19">Везачу Эло соьга элира: «Ваха а гӀой, Ярушалаймерчу халкъан ков долчохь дӀахӀотта, яхӀудхойн паччахьаш чу-ара буьйлучу меттехь. Иштта Ярушалайман массо а кевнаш долчу кхача хьажа.</verse>
				<verse number="20">Цигарчу халкъе хаам бе: „ЛадогӀа Везачу Эло бохучуьнга, яхӀудхойн паччахьаш а, ЯхӀуд-махкара дерриг халкъ а, гӀалин кевнийн неӀаршкахула чу мел богӀу Ярушалайман бахархой а!</verse>
				<verse number="21">Иштта боху шуьга Везачу Эло: ‘Шайн синош лардархьама, шоьтан садоӀучу дийнахь Ярушалайман кевнаш чухула цхьа а тайпана мохь дехьа-сехьа ма баккха.</verse>
				<verse number="22">Иштта шайн хӀусамашкара шоьтан дийнахь мохь ара а ма баккха, цхьа а тайпана белхаш а ма бе. Аса шайн дайшна тӀе-ма-диллара, шоьтан де аша Суна лерина хилийта деза.</verse>
				<verse number="23">Амма шун дайша Соьга ла ца дуьйгӀира, Со тергал а ца вира. Бухахьа а бевлла, Соьга ладогӀа а, Аса уьш нисбар а ца лаьара царна.</verse>
				<verse number="24">Нагахь санна аша Аса хӀинца бохучуьнга ла ца догӀахь, — боху Везачу Эло, — хӀокху гӀалин кевнашкахула шоьтан дийнахь мохь чу ца кхоьхьуш шу сацахь, и де аша цхьа а тайпана болх ца беш Суна лерина ца хилийтахь,</verse>
				<verse number="25">тӀаккха кху гӀалин кевнаш чухула Дауд-паччахьан тӀаьхьенах схьабевлла паччахьаш а, элий а Ярушалайман кевнах чекхбевр бу. Уьш а, церан тхьамданаш а шайн гӀудалкхаш тӀехь а, говрашна тӀехь а богӀур бу, ЯхӀудан халкъаца а, Ярушалайман бахархошца а цхьаьна. Ткъа Ярушалайм абаденналц лаьттар ю.</verse>
				<verse number="26">ЯхӀуд-махкарчу массо а гӀаланашкара а, Ярушалайм-гӀалина гонахарчу ярташкара а, Бен-Яманан тайпанан махкара а, малхбузерчу акъарера а, лаьмнашкара а, ЯхӀуд-мехкан къилбехьара а дийнаташ дагоран сагӀанаш, кӀен сагӀанаш, хаза хьожа йогӀучу хӀуманийн сагӀанаш, баркаллин сагӀанаш Делан цӀа долчу схьадахьар ду.</verse>
				<verse number="27">Нагахь санна шу, шоьтан дийнахь Ярушалайман кевнаш чухула маххьаш чу а кхоьхьуш, и де Суна лерина а ца хуьлуьйтуш, аша Соьга ла ца догӀахь, Аса Ярушалайман кевнашкахь цӀе латор ю. Аса кху гӀалахь мел йолу гӀепаш ягийна дӀайохур ю, ткъа цхьаннен а иза дӀаяйа йиш хир яц’“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="18">
				<verse number="1">Ярми-ЯхӀуга Везачу Элан хӀара дош кхечира:</verse>
				<verse number="2">«Куьпчи волчу цӀа гӀо, цигахь Сайн дош кхочуьйтур ду хьоьга».</verse>
				<verse number="3">Со куьпчи волчу чу вахача, иза шен чарха тӀехь болх беш вара.</verse>
				<verse number="4">Цо еш йолу поппаран пхьегӀа йоьхна дӀаелира, цуьнан карахь йоллушехь. Эццахь цу куьпчичо шен куьйгашца шена луучу кепара кхин пхьегӀа йира оцу поппарх.</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха Везачу Элера хаам кхечира соьга:</verse>
				<verse number="6">«Исраилан тӀаьхье, цу пхьеро диннарг Соьга а шух далур дац те? — боху Везачу Эло. — Хьо Сан карахь куьпчичун поппар санна ма ю, Исраилан тӀаьхье.</verse>
				<verse number="7">Нагахь санна цхьана хенахь цхьа къам я пачхьалкх орамашца дӀа а яьккхина, йоха а йина, хӀаллакйина хир ю аьлла, Аса дӀахьедар дахь,</verse>
				<verse number="8">амма и къам ша лелийначу вонах дӀадерзахь, тӀаккха Аса, дохко а ваьлла, Айса царна лерина бохам бийр бац.</verse>
				<verse number="9">Нагахь санна вукху хенахь цхьа къам я пачхьалкх, юхаметтахӀоттар а деш, орамашца иза дӀадогӀа деза аьлла, Аса дӀахьедар дахь,</verse>
				<verse number="10">амма оцу къомо, Суна хьалха вониг а лелош, Соьга ла ца догӀахь, тӀаккха Аса, дохко а ваьлла, Айса дагалаьцна диканиг царна дийр дац.</verse>
				<verse number="11">Цундела дӀаала ЯхӀудан халкъе а, Ярушалайман бахархошка а: „Везачу Эло боху, Ша шуна дуьхьал вониг дан а, шуна бохам бан а кечлуш ву. Цундела шаьш мел лелош долу вон хӀуманаш а дитий, шаьш лела некъаш нисде“.</verse>
				<verse number="12">Амма халкъо эр ду: „Цу хӀумане са а ма тийса. Оха тхайна луъург дийр ду. ХӀора стага шен вочу, аьрхачу даго боххург дийр ду“».</verse>
				<verse number="13">Цундела иштта боху Везачу Эло: «Кхечу халкъашна юкъахь хаттал, цкъа а хезний царна кхунах тера долу хӀума дуьйцуш? Инзаре ирча хӀума дина йоӀстаг санна долчу Исраилан халкъо.</verse>
				<verse number="14">Цкъа а Ливанун-лаьмнийн басенийн тархех ло къайладолий те? Цкъа а соций те генарчу оцу лаьмнашкара охьаоьхуш долу шийла хиш?</verse>
				<verse number="15">Сан халкъана-м Со вицвелла. Эрначу цӀушна сагӀанаш доху цара. Цундела когаш тийсалуш лелаш бу уьш шаьш дӀакхоьхьуш долчу некъаш тӀехь. Шайн дайн ширачу некъаш тӀера дӀабевлла уьш, нийса доцучу паначу некъаш тӀе бовлархьама.</verse>
				<verse number="16">Сан халкъан мохк бассийна хир бу, гуттаренна а цунах кхаьрдар бу. Махка тӀехула лелаш мел верг, инзар а ваьлла, корта лестош хир ву.</verse>
				<verse number="17">Малхбалехьарчу мохо санна, дӀасадаржор ду Аса и халкъ цуьнан мостагӀашна хьалха. Царна бохам тӀекхаьчначу дийнахь, Сайн юьхь ца гойтуш, букъ берзор бу Аса царна».</verse>
				<verse number="18">ТӀаккха цхьаболчара элира: «Дуьйло, Ярми-ЯхӀуна дуьхьал барт бийр бу вай! Товрат-хьехам тхуна Ӏамочу динан дайн а, хьехамаш бечу хьекъалчийн а, Делера болу хаам бечу пайхамарийн а цатоар цкъа а хир дац. Вало, Ярми-ЯхӀуна дуьхьал бехкаш далор ду вай, цуьнан дешнаш тергал а дийр дац вай».</verse>
				<verse number="19">ЛадогӀахьа, Веза Эла, аса бохучуьнга, сан мостагӀаша бохург дӀахазахьа.</verse>
				<verse number="20">Дан дезий те диканна дуьхьал вониг? Делахь а цара ор даьккхина, со вейтархьама. Дагадаийтахьа со Хьайна хьалха лаьтташ хилар, церан дуьхьа Хьуна диканиг дуьйцуш, Хьоьга Хьайн дералла царна тӀера дӀаяккхийтархьама.</verse>
				<verse number="21">Цундела хӀоттаехьа церан берашна мацалла, довзийтахьа царна тур а. Церан зударий берех бовлийла, иштта бисина а Ӏойла уьш. ХӀаллакбойла церан майранаш а, ткъа церан къонахой тӀамехь туьраца байийла.</verse>
				<verse number="22">Тийжарш хезийла церан цӀенош чуьра, Ахьа цӀеххьана уьш болчу мостагӀий балийча, хӀунда аьлча цара суна кӀело йина, къайлаха сан когашна бухахь бойнаш а тесна.</verse>
				<verse number="23">Амма Хьуна, Веза Эла, хууш ду цара суна дуьхьал бартбар. Уьш со вен гӀерташ бу. Цара летийна къинош дӀа ма дахахьа, цара динчу зуламашна геч ма дехьа. Хьуна хьалха уьш эшийна хуьлийла. Хьо оьгӀазвахханчохь дехьа царна таӀзар.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="19">
				<verse number="1">Везачу Эло иштта элира: «Куьпчичуьнгара поппарх йина кхаба эца. Халкъана юкъара а, динан дайшна юкъара а къаной хьайца схьаэца.</verse>
				<verse number="2">Йоьхначу Кхабин кевнна уллорачу Бен-ХӀинам-тогӀи йолчу а гӀой, Аса хьайга аьн дерг халкъе дӀадийца.</verse>
				<verse number="3">Цаьрга дӀаала: „ЛадогӀа Везачу Эло бохучуьнга, яхӀудхойн паччахьаш а, Ярушалайман бахархой а! Шуьга массо а ницкъийн Веза Эла волчу Исраилан Дала боху: хӀокху лаьтта тӀе Аса боккха бохам кхочуьйтур бу. И хӀума хезна волчу муьлххачу а стеган лере зов догӀур ду.</verse>
				<verse number="4">Цара Со а витина, хӀара хийра меттиг яр бахьана долуш хир ду и хӀума. Шайна а, шайн дайшна а, иштта яхӀудхойн паччахьашна а бевзаш боцучу харцделанашна цара сагӀанаш дохура. ХӀара меттиг бехк боцучеран цӀийца юьзира цара.</verse>
				<verse number="5">Гунаш тӀехь цара БаӀална сагӀа доккху меттигаш кечйира, цигахь шайн кӀентий, БаӀална лерина долу дагоран сагӀа санна, цӀерца багорхьама. И хӀума Аса царна тӀе ца диллина, ткъа иза Суна дагадеана а дац.</verse>
				<verse number="6">Цундела, варелаш! — боху Везачу Эло, — тӀекхочур ю цхьа зама, адамаша хӀокху меттиган Тупат, я Бен-ХӀинам-тогӀи аьлла, цӀе йоккхур йоцу. Кху меттиган цӀе Байаран ТогӀи аьлла хир ю.</verse>
				<verse number="7">Оцу меттехь Аса ЯхӀуд-махкарчу а, Ярушалаймерчу а наха мел леринарг дохор ду. Аса уьш мостагӀийн туьре хӀаллакбойтур бу, уьш байъа гӀерташ болчеран кара Аса уьш дӀалур бу, ткъа церан декъий олхазарийн а, акхаройн а даар хилла дӀахӀуттур ду.</verse>
				<verse number="8">Аса йохийна дӀайоккхур ю хӀара гӀала, цунах берриш а кхаьрдар бу. Цунна уллохула тӀех мел волучо, инзар а ваьлла, шок еттар ю, кхузахь мел бина бохамаш шена гича.</verse>
				<verse number="9">МостагӀийн ардангаша, нах байа а гӀерташ, го бийр бу гӀалина. ГӀалахь мацалла а хӀоьттина, нах чӀогӀа дог доьхна хир бу. Аса цаьрга вовшийн декъий доуьйтур ду. Наха ур-атталла шайн кӀентий а, йоӀарий а буур бу“.</verse>
				<verse number="10">Хьайца болчарна хьалха кхаба йоха а яй,</verse>
				<verse number="11">цаьрга дӀаала: „Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: ХӀара къам а, хӀара гӀала а юха меттахуттийла доцуш, кхаба йохош санна, дохор ду Ас. Белларш Тупатехь а дӀабухкур бу, кхечу меттехь уьш дӀабохка меттиг ца хиларна.</verse>
				<verse number="12">И хӀума дийр ду Аса кху меттигна а, цуьнан бахархошна а, — боху Везачу Эло. — ХӀара гӀала Тупатах тарйина дӀахӀоттор ю Аса.</verse>
				<verse number="13">Ярушалаймера цӀенош а, яхӀудхойн паччахьийн цӀенош а — шайн цӀенойн тхевнашна тӀехь стигалийн ницкъашна кӀур тоьхна а, кхечу деланашна чагӀаран сагӀанаш даьхна а долу массо а цӀенош — Тупат санна, Далла хьалха боьха хир ду“».</verse>
				<verse number="14">Делера болу хаамаш бан Везачу Эло ша вахийтина йолчу Тупатера Ярми-ЯхӀу юхавирзича, иза, Делан цӀийнан керта а вахана, дерриге а халкъе вистхилира:</verse>
				<verse number="15">«Иштта боху массо а ницкъийн Веза Эла волчу Исраилан Дала: „Хьовсал, хӀокху гӀалина а, цунна гонах йолчу ярташна а Аса хьалха аьлла болу массо а бохамаш бийр бу, хӀунда аьлча уьш бухахьа а бевлира, Сан дешнашка царна ладогӀа а ца лиира“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="20">
				<verse number="1">Динан да а, Везачу Элан цӀийнан уггар лакхара хьаькам а волчу Амиран кӀанта Пашихьура, шена Ярми-ЯхӀус Делера болу и хаамаш беш хезча,</verse>
				<verse number="2">Ярми-ЯхӀу-пайхамарна еттийтира. ТӀаккха цо, Ярми-ЯхӀу Везачу Элан цӀийнан кертахь долу Бен-Яманан лакхара ков долчу а вигийтина, цунна дечиган буржалш тохийтира.</verse>
				<verse number="3">Амма шолгӀачу дийнахь, буржалш дӀа а даьхна, Пашихьура иза дӀахийцира. Ярми-ЯхӀус цуьнга элира: «Везачу Эло хьан цӀе Пашихьур аьлла ца тиллина, амма Массанхьа а долу къемат аьлла тиллина.</verse>
				<verse number="4">ХӀунда аьлча иштта боху Везачу Эло: „Аса хьох хьуна хьайна а, хьан доттагӀашна а хьалха къемат дийр ду. Уьш шайн мостагӀчун туьро хӀаллакбийр бу, и хӀума хьан бӀаьргашна гур а ду. Аса берриг а ЯхӀудан халкъ Бавелан паччахьан кара дӀалур ду, цо цхьаберш Бавел-махка дӀабуьгур бу, кхиберш хӀаллакбийр бу.</verse>
				<verse number="5">Кху гӀалин массо а бахам церан мостагӀийн кара дӀалур бу Аса. Къахьегарца гӀалин халкъо мел гулдинарг а, гӀалин массо а еза хӀуманаш а, яхӀудхойн паччахьийн хазна а мостагӀийн кара дӀалур ю Аса. Цара и массо а хӀума хӀонс санна Бавеле дӀахьур ю.</verse>
				<verse number="6">Хьо а, Пашихьур, хьан цӀахь мел верг а йийсаре вуьгур ву. Бавеле дӀавигначул тӀаьхьа хьо лийр ву, цигахь хьо а, хьан массо а доттагӀий а, ахьа шайна харцахьа пайхамаралла дина болу, дӀабухкур бу“».</verse>
				<verse number="7">Веза Эла, Ахьа со Хьайна тӀеозийна, ткъа со Хьох Ӏехавелла. Хьо сол ницкъ болуш ву, Ахьа со эшийна. Со массарна а хьалха белам хилла, нах сох массо а дийнахь кхаьрдаш бу.</verse>
				<verse number="8">Со вист мосазза хуьлу, Аса, мохь а бетташ, кхойкху: «Къизалла а, хӀаллакьхилар а хир ду». Везачу Элера болу и хаам ас барна, наха со сийсаз а во, сох массо а дийнахь кхаьрда.</verse>
				<verse number="9">ТӀаккха аса сайга элира: «Вицвийр ву аса Веза Эла, бийр бац аса Цуьнан цӀарах хаамаш». Амма сан кийрахь Цуьнан дош, цӀе санна, догура, сан даьӀахкашкахь дӀахьулйина цӀе санна, иза летара. Со хӀоьттинера иза сайгахь сецо гӀерташ, соьга иза кхин сеца а ца лора.</verse>
				<verse number="10">Дукхахболчеран шабар-шибарш хеза суна: «Массанхьа а вайна къемат ду! Вай иза емалван ма веза!» Соьгара гӀалат даларе а хьоьжуш, сан массо а доттагӀаша боху: «Иза Ӏехо мегар ву. ТӀаккха иза эшор ву вай, цунна бекхам а бийр бу».</verse>
				<verse number="11">Амма соьца Веза Эла ву, Иза ницкъболу тӀемало санна ву. Цундела сан мостагӀийн ког тасалур бу, цаьрга со эшалур а вац. Церан Ӏалашо кхочушхир яц, уьш юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу. Церан эхь цкъа а дицдийр дац, иза абаденналц лаьттар ду.</verse>
				<verse number="12">Массо а ницкъийн Веза Эла! Хьо бакъахьара леларш зуьйш ву, нехан даг чохь дерг Хьуна дика го. Айхьа царна бекхам беш гайтахьа суна, сан гӀуллакх аса Хьан кара дӀаделла дела.</verse>
				<verse number="13">Лекхийша эшарш Везачу Элана! Хастамаш бейша Везачу Элана! Цуьнга бен ваккхалур вац мисканиг зуламечу стеган карара.</verse>
				<verse number="14">Сардам буллу аса со винчу денна! Декъаза хуьлда сан нанас со дуьнен чу ваьккхина де!</verse>
				<verse number="15">НеӀалт хуьлда: «Хьуна кӀант вина!» аьлла, кхаъ а баьккхина, сан дена хазахетийтинчу стагана.</verse>
				<verse number="16">Везачу Эло къа ца хетарца йохийначу гӀаланашна хилларг хуьлийла цу стагана. Хезийла цунна Ӏуьйранна орца даккхар, ткъа делкъахенахь тӀеман маьхьарий,</verse>
				<verse number="17">сайн ненан кийрахь со ца вуьйш витарна, сан нана суна каш хилла ца йитарна, со дуьнен чу ца волуш ца витарна!</verse>
				<verse number="18">ХӀунда ваьлла те со сан ненан кийрара ара? Деган Ӏийжамаш, бохамаш бен суна гина хӀумма а ма дац! Ткъа сан дахар юьхьӀаьржачу хӀоттарца чекхдер ду.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="21">
				<verse number="1">Ярми-ЯхӀуга Везачу Элера хаам кхечира. Иза дара яхӀудхойн паччахь волчу ЦӀадукъ-ЯхӀус и волчу Малки-ЯхӀун кӀант Пашихьур а, иштта МаӀсей-ЯхӀун кӀант динан да волу Цапни-ЯхӀу а хӀара хабар эцна вахийтинчу хенахь:</verse>
				<verse number="2">«Дехар дехьа тхох лаций Везачу Эле, хӀунда аьлча бавелхойн паччахь волу Набухди-Нецар тхуна дуьхьал тӀом беш ву. Везачу Эло тхан дуьхьа, Ша хьалха ма-дарра, Ӏаламат дан там бу, Набухди-Нецар тхуна дуьхьал ваьллачуьра дӀа а волуьйтуш».</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха Ярми-ЯхӀус цаьрга элира: «ЦӀадукъ-ЯхӀуга иштта дӀаала:</verse>
				<verse number="4">„Исраилан халкъан Везачу Дала боху: Шун карахь болу тӀемалой гӀалина го бинчу бавелхойн паччахьца а, хашадхошца а хӀинца гӀалин пенашна арахула тӀом беш бу. Амма Аса и тӀемалой гӀалин юккъе юхаберзор бу.</verse>
				<verse number="5">Аса-Айса бийр бу шуна дуьхьал тӀом, кховдийначу куьйгаца а, нуьцкъалчу пхьаьрсаца а, Сайн оьгӀазаллица а, дераллица а, чӀогӀачу моханца а.</verse>
				<verse number="6">Аса тухур ю Ярушалаймехь бехаш болчарна — адамашна а, бежанашна а. Ӏожаллин ун бахьана долуш лийр бу уьш.</verse>
				<verse number="7">Цул тӀаьхьа, — боху Везачу Эло, — яхӀудхойн паччахь волу ЦӀадукъ-ЯхӀу а, цуьнан тхьамданаш а, цу гӀалара Ӏожаллин уьнах а, туьрах а, мацаллах а кӀелхьардаьлла долу халкъ а дӀалур ду Аса бавелхойн паччахь волчу Набухди-Нецаран кара а, уьш байа лууш болчу церан мостагӀашна а. Набухди-Нецара уьш туьраца хӀаллакбийр бу. Цо уьш кхоор а бац, царах къа а хетар дац, къинхетам а бийр бац“.</verse>
				<verse number="8">Цу халкъе кхин а дӀаала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘ХӀинца Аса шуна дахарна тӀебоьду некъ а, Ӏожаллина тӀебоьду некъ а дӀакховдабо.</verse>
				<verse number="9">ХӀокху гӀалахь виснарг туьро, мацалло, я уьно хӀаллаквийр ву. Амма Ярушалаймера ара а ваьлла, гӀалина го бинчу хашадхойн каравахнарг дийна вуьсур ву. Цо шен дахар кӀелхьардаьккхина хир ду.</verse>
				<verse number="10">Аса сацам бина хӀокху гӀалина бохам баккха, Аса цунна диканиг дийр дац, — боху Везачу Эло. — Ярушалайм-гӀала бавелхойн паччахьан кара дӀалур ю, ткъа цо иза цӀергахь ягор ю’“».</verse>
				<verse number="11">ЯхӀудхойн паччахьан цӀийнах лаьцна Везачу Эло суна тӀедиллира иштта дӀаала аьлла: «Везачу Элера болчу хааме ладогӀа!</verse>
				<verse number="12">Даудан тӀаьхье! Везачу Эло иштта боху: хӀора дийнахь кхел е, гӀело хуьлуш верг цуьнан мостагӀчух кӀелхьар а воккхуш. Иза аша ца дахь, Сан дералла, цӀе санна, летар ю, аша лелош долу вониг бахьана долуш. Сан оьгӀазалла йогуш хир ю цхьаьнгге а дӀаяйалур йоцучу тайпана.</verse>
				<verse number="13">ТогӀин яхархо йолу Ярушалайм-гӀала, тӀапломахь лаьтта тарх, хьуна дуьхьал ваьлла Со, — боху Везачу Эло. — Аша боху: „Тхуна дуьхьал цхьа а вер вац, тхан дӀалечкъийла цхьаммо а дӀалоцур яц“.</verse>
				<verse number="14">Аша динчу гӀуллакхе хьаьжжина таӀзар а дийр ду шуна, — боху Везачу Эло. — Аса шун паччахьан цӀахь цӀе латор ю, цо гонах мел долу хӀума дагор ду».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="22">
				<verse number="1">Везачу Эло иштта боху: «ЯхӀудхойн паччахьан цӀа а гӀой, цигахь хӀара дешнаш дӀаала:</verse>
				<verse number="2">„Дауд-паччахьан тӀаьхьенах волу яхӀудхойн паччахь, ладогӀа Везачу Элера болчу хааме — ахь а, хьан тхьамданаша а, хӀокху кевнехула дӀасалелаш долчу хьан халкъо а ладогӀа!</verse>
				<verse number="3">Иштта боху Везачу Эло: ‘Бакъдерг а, нийсо а лелае, гӀело йинарг гӀело еш волчух ларве, тӀевеаначу стагана гӀело ма е, иза дӀа а ма тетта, бай а, бисина Ӏаш болу зударий а ларбе, бехк боцучун цӀий а ма Ӏанаде хӀокху меттехь.</verse>
				<verse number="4">Шайга аьлларг деш шу хилахь, Дауд-паччахьан тӀаьхьенах болу паччахьаш хӀокху паччахьан цӀенойн кевнехула чуоьхур бу. Уьш шайн тхьамданашца цхьаьна, гӀудалкхашна а, говрашна а тӀе а хийшина, кхузахула чубогӀур бу.</verse>
				<verse number="5">Амма хӀокху дешнашка аша ла ца догӀахь, Аса Сайх дуй боу, — боху Везачу Эло, — хӀара цӀа Аса дассор ма ду’“».</verse>
				<verse number="6">ЯхӀудхойн паччахьан цӀийнах лаьцна Везачу Эло иштта боху: «ГалӀад-мохк я Ливанун-лам санна хаза хьо Суна хетахь а, шен гӀаланашкахь цкъа а адам дехаш йоцу яьсса аре санна йийр ю Аса хьох.</verse>
				<verse number="7">Аса шуна шу хӀаллакден берш бохур бу шуна дуьхьал, хӀораннан а карахь герз а долуш. Ткъа цара хьан уггар дика долу баганан дитташ, схьа а дохуш, цӀерга кхуьссур ду.</verse>
				<verse number="8">Кхечу къаьмнех дуккха а наха, шаьш хӀокху гӀалина уллохула тӀехдуьйлучу хенахь, вовшашка хоьттур ду: „ХӀунда дина те Везачу Эло хӀокху тайпана гӀуллакх хӀокху йоккхачу гӀалина?“</verse>
				<verse number="9">Царна жоп луш, эр ду: „Иза дина, шайн Везачу Дала бина барт дӀа а теттина, кхечу деланашна Ӏибадат а деш, царна Ӏамал а еш, уьш лелла дела“».</verse>
				<verse number="10">Веллачу паччахьах белхар а ма хӀиттаде, иза дӀакхалхарх тийжарш а ма хӀиттаде. ХӀетте а, даггара тийжа цуьнан кӀантана, хӀинца йийсаре дӀавуьгуш волчу, иза кхин цкъа а цӀа ца верзарна а, ша вина мохк цунна кхин ца гарна а.</verse>
				<verse number="11">Везачу Эло яхӀудхойн паччахь волчу Юши-ЯхӀун кӀантах Шалумах (шен да волчу Юши-ЯхӀул тӀаьхьа паччахь а хилла иза, кху меттера йийсаре дӀавигна а ву) лаьцна иштта боху: «Иза цкъа а кху метте юхавоьрзур вац.</verse>
				<verse number="12">Иза мисархоша ша дӀавигначу меттехь лийр а ву, цунна хӀара мохк кхин гур а бац».</verse>
				<verse number="13">Декъаза ву шен паччахьан цӀенош хьарамлонца дийриг, цӀенойн лакхара чоьнаш харцонца йийриг, шен махкахошка маьхза къахьоьгуьйтург, цара бинчу балхана алапа ца лург.</verse>
				<verse number="14">Цо боху: «Аса сайна доккха цӀа дийр ду, шена чохь паргӀат чоьнаш а йолуш». Цо даккхий кораш а доху, пенаш баганан дечигца кечдо, царна цӀен басар а хьокху.</verse>
				<verse number="15">Кхечарал айхьа баганан диттах дико чоьнаш кечйича, хьо паччахь хир ву моьтту хир ду хьуна? Хьан ден, кхечеран санна, даар-малар дара, амма цо нийсо а, бакъдерг а лелайора, ткъа цундела цуьнан аьтто хуьлура.</verse>
				<verse number="16">Къен а, миска а волчун гӀуллакх цо нийсонца къастадора. Цундела иза дика вехаш вара. Иза дац те Со вовзар? — боху Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="17">Амма хьан бӀаьргаш а, дог а харцахьа хьайна са яккха а, бехк боцучеран цӀий Ӏано а, нахана гӀело а, ницкъ бан а бен тӀедерзийна дац.</verse>
				<verse number="18">Цундела Везачу Эло яхӀудхойн паччахь волчу Юши-ЯхӀун кӀантах ЯхӀу-Якхамах лаьцна иштта боху: «Цхьаммо а, цунна тийжаш, эр дац: „Маржа-яӀ сан ваша! Маржа-яӀ сан йиша!“ Цхьаммо а, цунна тийжаш, эр дац: „Маржа-яӀ сан олахо! Маржа-яӀ сан паччахь!“</verse>
				<verse number="19">Хьо, вир дӀа-ма-йоллара, дӀавуллур ву, хьан дакъа, Ярушалайман кевнал ара а даьккхина, охьакхуссур ду».</verse>
				<verse number="20">«Ливанунан лаьмнаш тӀе а валий, мохь тоха! Башан-махкахь мохь а бетта, Ярушалайман халкъ, Ӏабариман лаьмнаш тӀера хьан аз а айде. хӀунда аьлча массо а хьан бартхой эшийна бу.</verse>
				<verse number="21">Хьо сашортехь бехачу хенахь, Ас хьоьга дӀахьедира, амма ахьа ладугӀур дац элира. Хьо къона долчу хенахь дуьйна а ахьа ла ца дугӀура Аса бохучуьнга.</verse>
				<verse number="22">Хьан массо а баьчча мохо дӀахьур ву, ткъа хьан бартхой йийсаре буьгур бу. ТӀаккха хьо юьхьӀаьржачу хӀуттур ву, айхьа мел лелийна зуламаш бахьана долуш.</verse>
				<verse number="23">Ливанунерчу дечигах йинчу гӀалахь вехаш волу хьо, баганан диттан дечигах динчу цӀеношкахь Ӏаш волу хьо, ма узарш дийр ду ахь, хьайна бохам тӀебеача, берах хьийзо зудчун лазарш санна хир бу иза!»</verse>
				<verse number="24">«Дийна волчу Сох чӀагӀо йо Аса, — боху Везачу Эло, — яхӀудхойн паччахь волу ЯхӀу-Якхаман кӀант ЯхӀу-Яхин, хьо Сан аьтту куьйган пӀелгара мухӀар хилча а, Аса хьо цу тӀера схьа а ваьккхина,</verse>
				<verse number="25">хьан са лоьхуш болчеран кара а дӀалур ву, иштта хьо кхоьруш волчу бавелхойн паччахьан Набухди-Нецаран а, хашадхойн кара а дӀалур ву.</verse>
				<verse number="26">Аса хьо а, хьо вина йолу хьан нана а шу дуьнен чу девлла доцучу хийрачу махка кхуьссур ду, цигахь шу лийр ду.</verse>
				<verse number="27">Хьуна хьайн махка юхаверза луур ду, амма хьо цига юхавоьрзур вац».</verse>
				<verse number="28">ЯхӀу-Яхин цӀе йолу хӀара стаг йохийна кхаба санна я цхьанна а ца оьшу кхаба санна ву те? ХӀунда лаьллина те иза шен доьзалца царна бевзаш а боцучу хийрачу махка дӀа?</verse>
				<verse number="29">Ва ЯхӀудан латта! Аса хьоьга чӀогӀа доьху, Везачу Элера болчу хӀокху хааме ладогӀа!</verse>
				<verse number="30">Иштта боху Везачу Эло: «ДӀаязде цу стагах лаьцна, тӀаьхье йоцуш волчу стагах санна, шен дахарехь аьтто кхин хир боцучух санна, хӀунда аьлча цуьнан тӀаьхьенах цхьаммо а, Дауд-паччахьан цӀийнах ша хиларна, ЯхӀуд-махкахь паччахьалла дийр ду».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="23">
				<verse number="1">«Декъаза бу, Сан уьстагӀий хӀаллак а деш, дӀаса а лоьхкуш лелаш болу Ӏуй», — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="2">Цундела Шен къомана тӀехь Ӏуналла дан дезаш болчу Ӏуйшка Исраилан Дела волчу Везачу Эло боху: «Аша Сан уьстагӀий дӀасалаьхкина, аша царна Ӏуналла а ца дина. Цундела Аса таӀзар дийр ду шуна, — боху Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="3">Аса уьш дӀалаьхкина болчу массо а мехкашкара Сайн дисина долу жа схьа а гулдийр ду, шайн дежийле юха а дерзор ду. Цигахь церан бераш хир ду, церан тӀаьхье стам а лур ю.</verse>
				<verse number="4">Аса цунна тӀехь дола дийр долу Ӏуй дӀахӀиттор бу. ТӀаккха уьш, кхера а ца кхоьруш, къемат а доцуш, лелар бу, царах цхьа а вийна хир вац», — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="5">«ТӀекхочуш ю цхьа зама, — боху Везачу Эло, — Аса Даудан тӀаьхьенах Сайн лаамехь волу цхьа зӀийдаг кхиор йолу. Цо хьекъалца паччахьалла дийр ду, хӀокху лаьтта тӀехь нийсо а, бакъдерг а лелор ду.</verse>
				<verse number="6">Цо олалла дечу деношкахь ЯхӀудан халкъ паргӀат хир ду, ткъа Исраилан халкъ сашортехь Ӏийр ду. Цуьнан цӀе иштта тиллина хир ю: „Тхуна нийсо лелош волу Веза Эла“.</verse>
				<verse number="7">Иштта, тӀекхочур ю цхьа зама, — боху Везачу Эло, — Исраилан халкъ Мисар-махкара арадаьккхинчу дийна волчу Везачу Элах адамаша кхин чӀагӀо йийр йоцу.</verse>
				<verse number="8">Мелхо а Исраилан халкъ къилбаседехьарачу махкара а, массо а Ша уьш дӀабахийтина долчу латтанашкара а юхадерзийначу дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йийр ю цара. Оцу хенахь и халкъ шен лаьтта тӀехь дехар ду».</verse>
				<verse number="9">ХӀара дешнаш пайхамарех лаьцна ду. Сан дог кийрара схьаэккха доллуш ду, сан даьӀахкаш егош ю, со чагӀаро вахийна волу стаг санна ву, Веза Эла а, Цуьнан деза дешнаш а бахьана долуш.</verse>
				<verse number="10">Далла тешаме боцучарах мохк буьзна. Церан дахар вочунна тӀедирзина ду, цара харцонца нахана шайн ницкъ бо. Везачу Элан неӀалт хилар бахьана долуш, латта тийжаш ду, яьссачу аренгахь йолу дежийлаш якъаелла Ӏохкуш ю.</verse>
				<verse number="11">«Пайхамарш а, динан дай а Ӏеса бу, — боху Везачу Эло, — ур-атталла Сайн цӀа чохь а церан Ӏесалла хааелла Суна.</verse>
				<verse number="12">Цундела церан некъ царна хир бу, боданехь нах шоьршуьйтуш болу. ДӀа а теттина, цигахь уьш охьаэгар бу. Царна таӀзар дечу деношкахь Аса царна бохамаш хуьлуьйтур бу, — боху Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="13">Шамранан пайхамаршна юкъахь иштта дегаза хӀума гина Суна: цара БаӀалан цӀарах хаамаш бо. Сан Исраилан халкъ ледеш ду цара.</verse>
				<verse number="14">Ярушалайман пайхамаршна юкъахь иштта ирча хӀума гина Суна: ямарта а хуьлуш, цара харцонаш лелайо. Зуламхошна цара гӀо дар бахьанехь, цхьа а шен Ӏесаллех дӀа ца воьрзу. Суна хьалха уьш берриш а Седам-гӀалин бахархой санна бу, ткъа Ярушалаймера нах Суна Ӏамор-гӀалин бахархой санна бу».</verse>
				<verse number="15">ХӀара боху массо а ницкъийн Везачу Эло оцу пайхамарех лаьцна: «Аса сагал-буц йоуьйтур ю цаьрга, дӀаьвше хи а молуьйтур ду, хӀунда аьлча Ярушалаймера пайхамаршна тӀера массо а лаьтта тӀехь Ӏесалла яьржина».</verse>
				<verse number="16">Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Шайга хаамаш беш болчу пайхамаршка ла ма догӀа. Цара шу эрначу сатийсарех дузу. Цара беш берш шайн дегнаш чохь кхоьллинарш бу, Везачу Элера хаамаш бац.</verse>
				<verse number="17">Цара массо а хенахь Сох ца бешаш болчаьрга олу: „Везачу Эло боху: шу долчохь машар хир бу“, ткъа шайн аьрхачу дегнашца лелаш болчаьрга цара олу: „Шуьга бохам богӀур бац“».</verse>
				<verse number="18">Царна юкъара мила ву Везачу Элан стигаларчу гуламехь лаьттинарг, Везачу Эло бохург гуш а, хезаш а волу? Царна юкъара мила ву, Цуьнга ла а доьгӀна, Цо бохург дӀахезнарг?</verse>
				<verse number="19">Везачу Элан дералла, дарц санна, царна тӀейогӀуш ю, иза Ӏесачеран коьрта тӀе, йилбазмох санна, южур ю.</verse>
				<verse number="20">Везачу Элан оьгӀазалла дӀаер яц, Ша мел дан леринарг чекхдаккхалц. ТӀедогӀуш долчу деношкахь шу цунах дика кхетар ду.</verse>
				<verse number="21">Везачу Эло боху: «И пайхамарш Аса бахкийтина бац, амма уьш, Сан геланчаш санна, бевдда лела. Аса царна хӀумма а ца дийцира, амма цара Сан цӀарах хаамаш бина.</verse>
				<verse number="22">Уьш Сан стигаларчу гуламехь хиллехьара, цара Сан дешнаш Сан халкъе дӀакхачийна а хир дара, цара и халкъ шен вочу некъа тӀера юьстахдалийтина а хир дара, зуламе гӀуллакхаш дечуьра сацийна а хир дара.</verse>
				<verse number="23">Со шуна уллохь волуш бен вац те Дела? — боху Везачу Эло. — Со шуна генахь хилча а ву шуна Дела, Со массанхьа а ву!</verse>
				<verse number="24">ДӀалачкъалур вуй стаг Суна ца гучу меттехь? — боху Везачу Эло. — Стигалахь я лаьттахь Со воцу меттиг ю ткъа? — боху Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="25">Суна хезна Сан цӀарах харцхаамаш беш болчу пайхамарша бохург. Цара олу: „Суна гӀенах гина, суна гӀенах гина“.</verse>
				<verse number="26">Мел дахлур ду иза? Дукха лелар буй те и пайхамарш харцдерг а дуьйцуш, шайн дегнашкара болу хаамаш а беш?</verse>
				<verse number="27">Вовшашка дуьйцучу гӀенаша Сан халкъе Сан цӀе йицйойтур ю моьтту царна, БаӀал бахьана долуш церан дайшна Сан цӀе йицъелла ма-хиллара.</verse>
				<verse number="28">ГӀан гина волчу пайхамаро, шена гӀенах гинарг гӀан ду аьлла, дийца деза, амма шегахь Сан дош долчо, иза ма-дарра дӀадийца деза. Кегаш цӀена кӀа ма дац! — боху Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="29">Соьгара болу хаам цӀе санна бу, — боху Везачу Эло, — иза тарх йохош йолу варзап санна бу.</verse>
				<verse number="30">Иза иштта хилча, — боху Везачу Эло, — вовшашкара Сан дешнаш лечкъадеш болчу пайхамаршна дуьхьал ву Со.</verse>
				<verse number="31">Иштта, — боху Везачу Эло, — шайгара хаамаш беш белахь а, Соьгара и хаамаш бу бохуш болчу пайхамаршна дуьхьал ву Со.</verse>
				<verse number="32">Харцонех дуьзна гӀенаш дӀадуьйцучу пайхамаршна дуьхьал ву Со, — боху Везачу Эло. — ГӀенаш дӀа а дуьйцуш, шайн харцонашца а, Ӏехорца а цара Сан халкъ тиладо. И пайхамарш Аса бахкийтина а бац, Аса къобалбина а бац. Сан халкъана цхьа а тайпана аьтто ца боккху цара», — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="33">«ХӀокху халкъо, я пайхамаро, я динан дас „Везачу Элан хааман мохь хӀун бу?“ аьлла, хаттар дахь, ахьа, Ярми-ЯхӀу, цаьрга ала деза: „Шу Везачу Элан хала мохь бу, иза Цо охьа а тосур бу“, — боху Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="34">Нагахь санна пайхамаро, я динан дас, я халкъо „Везачу Элера мохь бу“ алахь, аса цу стагана а, цуьнан цӀенна а таӀзар дийр ду.</verse>
				<verse number="35">Цундела вовшашка а, вашас веше а иштта ала: „ХӀун жоп делира Везачу Эло?“, я „ХӀун элира Везачу Эло?“</verse>
				<verse number="36">Ткъа „Везачу Элера мохь“ боху дешнаш цкъа а шайгара ма хазийта, хӀунда аьлча и мохь Везачу Элера бу шаьш алахь а, иза стага ша кхоьллина дешнаш бен дац. Иштта, „Везачу Элера мохь“ боху дешнаш а далош, дийна волу Дела а, массо а ницкъийн Веза Эла а, вайн Дела а Волчун дешнаш харцахьа туьду аша.</verse>
				<verse number="37">Ахьа иштта хатта деза пайхамаре: „Муха жоп делира Везачу Эло?“ я „ХӀун элира Везачу Эло?“</verse>
				<verse number="38">Амма аша „Везачу Элера болу мохь бу сан“ алахь, Везачу Эло иштта боху: Аса шуна „Везачу Элера болу мохь бу сан“ ала дихкинера, амма аша, Соьга ла а ца дугӀуш, и дешнаш даладо.</verse>
				<verse number="39">Цундела беза мохь санна долу шу Аса, хьала а айина, дӀакхуьссур ма ду. Шу а, шун дайшна Аса дӀаелла гӀала а Аса Сайна уллора дӀатоттур ю.</verse>
				<verse number="40">Аса цкъа а йицлур йоцу юьхьӀаьржо а, гуттара а хир йолу сийсазалла а тӀейоуьйтур ю шуна».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="24">
				<verse number="1">Везачу Эло суна дуьхьал сурт хӀоттийра, Шен цӀенна хьалха лаьтташ долу инжираш чохь йолу ши тускар а гойтуш. (Иза дара бавелхойн паччахь волчу Набухди-Нецара яхӀудхойн паччахьан ЯхӀу-Якхаман кӀант Яхун-ЯхӀу яхӀудхойн тхьамданашца а, аьчка а, дечиган а пхьерашца а Ярушалайм-гӀалара Бавел-махка йийсаре вигначул тӀаьхьа.)</verse>
				<verse number="2">Цхьана тускар чохь яра хьалххе хуьлуш ерш санна йолу дика инжираш, ткъа вукху тускар чохь яа ца маггал телхина вон инжираш яра.</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха Везачу Эло соьга хаьттира: «ХӀун го хьуна, Ярми-ЯхӀу?» Аса жоп делира: «Суна инжираш го. Дика инжираш чӀогӀа дика ю, ткъа вон инжираш яа а мегарг ца хиллал телхина ю».</verse>
				<verse number="4">ТӀаккха соьга Везачу Элан дош кхечира:</verse>
				<verse number="5">«Иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: „ХӀара дика инжираш санна, мостагӀаша кхузара дӀадигна долу а, Айса хашадхойн махка дӀадаийтина долу а ЯхӀудан халкъ дика хетар ду Суна.</verse>
				<verse number="6">Церан диканна Аса церан терго йийр ю, уьш хӀокху махка юха а балор бу. Аса уьш юхаметта а хӀиттор бу, бохор а бац. Аса уьш дӀабугӀур а бу, орамашца схьабохур а бац.</verse>
				<verse number="7">Аса царна лаам лур бу Со вовзийта а, Со Веза Эла хилар дӀадовзийта а. Уьш Сан къам хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву, хӀунда аьлча уьш доггах Со волчу юхабоьрзур бу“.</verse>
				<verse number="8">Ткъа яа мегаш ца хиллал телхина йолчу вон инжирашца санна, — боху Везачу Эло, — Со хир ву яхӀудхойн паччахь волчу ЦӀадукъ-ЯхӀуца а, цуьнан тхьамданашца а, иштта хӀокху махкахь бисина болчу я Мисар-махкахь бехаш болчу Ярушалаймера шаьш кӀелхьарбаьхначаьрца а.</verse>
				<verse number="9">Дуьненан массо а пачхьалкхашна Аса царах инзаре а, вон а хӀума дийр ду. Аса уьш дӀалаьхкина йолчу массо а меттехь атта хоьтуьйтур бу, царах масалш а далош, нах кхордуьйтур бу, церан цӀераш а йохуш, неӀалташ кхайкхадойтур ду.</verse>
				<verse number="10">Аса туьраца, мацаллица, Ӏожаллин уьнца хӀаллакбийр бу уьш, церан дайшна деллачу лаьтта тӀехь уьш хӀаллакьхилла дӀабовллалц».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="25">
				<verse number="1">ЯхӀудхойн паччахь волу Юши-ЯхӀун кӀант ЯхӀу-Якхам паччахьаллехь волчу доьалгӀачу шарахь Везачу Элера ЯхӀудан дерриге а халкъах лаьцна болу хаам кхечира Ярми-ЯхӀуга. (Иза Набухди-Нецар Бавел-махкахь паччахь дӀахӀоьттина хьалхара шо дара.)</verse>
				<verse number="2">И хаам пайхамар волчу Ярми-ЯхӀус дӀакхайкхийра ЯхӀуд-махкарчу а, Ярушалаймерчу а дерриге а халкъе.</verse>
				<verse number="3">«ЯхӀудхойн паччахьо Аминан кӀант Юши-ЯхӀус паччахьалла до кхойтталгӀачу шарахь дуьйна таханлера де тӀекхаччалц — ткъе кхаа шарахь — соьга Везачу Элера хаамаш кхочура. Аса шуьга юх-юха а и хаамаш дӀакхайкхабора, амма аша ла ца дугӀура Соьга.</verse>
				<verse number="4">Везачу Эло Шен ялхой болу пайхамарш юх-юха а шу долчу бохкуьйтура, амма аша цаьрга ла а ца дугӀура, уьш тергал а ца бора.</verse>
				<verse number="5">Оцу пайхамарша олура: „Шайн вочу некъех а, зуламаш лелорах а шух хӀорра а дӀаверзалаш, тӀаккха Везачу Эло шуна а, шун дайшна а деллачу лаьтта тӀехь абаденналц даха таро хир ю шун.</verse>
				<verse number="6">Кхечу деланашна тӀаьхьа ма хӀитта, царна Ӏамал ярхьама а, Ӏибадат дархьама а. Шун куьйгаша бина болу уьш бахьана долуш, ма вахийта со оьгӀаз. ТӀаккха Аса зен дийр дац шуна“.</verse>
				<verse number="7">Амма аша Соьга ла ца дуьйгӀира, — боху Везачу Эло. — Шайн куьйгаша дина гӀуллакхаш бахьана долуш, Со а оьгӀаз вохуьйтура аша, иштта шайна вонаш а дора.</verse>
				<verse number="8">Цундела массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Аша Сан хаамашка ла ца доьгӀна дела,</verse>
				<verse number="9">Аса массо а къилбаседехьара къаьмнаш а, Сан лай волу бавелхойн паччахь Набухди-Нецар а схьавалор ву. Аса уьш хӀокху махкана а, мехкан бахархошна а, цунна гонах мел долчу къаьмнашна а дуьхьалбохур бу. Аса кхоччуш хӀаллакбийр бу уьш, царах гуттаренна а къапалгаш а еш. Уьш къемате а хир бу, царах кхаьрдар а бу.</verse>
				<verse number="10">Аса дӀадоккхур ду кхузара даккхийдер а, сакъерадалар а, кхин хезар дац кхузахь нускалан а, зуда ялош волчун а ирсе аьзнаш. Аса хьеран кохьарш а сацор ю, стогарийн серло а дӀайойур ю.</verse>
				<verse number="11">Дерриг а хӀара латта яьсса, инзаре меттиг хилла дӀахӀуттур ду, ткъа кхузарчу къаьмнаша Бавелан паччахьан йийсарехь кхузткъе итт шо доккхур ду.</verse>
				<verse number="12">Кхузткъе итт шо дӀадаьллачул тӀаьхьа Аса Бавелан паччахьна а, цуьнан къомана а таӀзар дийр ду, цара летийна къинош бахьана долуш, — боху Везачу Эло. — Хашадхойн мохк гуттаренна а бассор бу Аса.</verse>
				<verse number="13">Аса хир бу аьлла болу а, массо а къаьмнашна дуьхьал Ярми-ЯхӀус дӀакхайкхийна болу а, оцу тептар тӀехь дӀаязбина болу а массо а бохамаш бийр бу Аса оцу махкана.</verse>
				<verse number="14">Бавелера халкъ дуккха а халкъашна а, баккхийчу паччахьашна а хьалха гӀуллакх деш лелар ду, цара диначуьнга а, церан куьйгаша лелийначуьнга а хьаьжжина, Аса царна доггӀург дӀа а лур ду“».</verse>
				<verse number="15">Исраилан халкъан Везачу Далла соьга элира: «Сан карара хӀара оьгӀазаллин чагӀар чохь долу кад дӀа а эций, Аса хьо вохуьйтучу меттехь дехаш долчу массо а халкъашка цу чуьра малийта.</verse>
				<verse number="16">Уьш, цу чуьра дӀамеллачул тӀаьхьа, дӀаса а лесташ, хьерабевлча санна лелар бу, хӀунда аьлча царна гур ду Аса шайна тӀедерзор долу тур».</verse>
				<verse number="17">Аса, Везачу Элан карара кад схьа а эцна, цу чуьра Везачу Эло со тӀевахийтина долчу массо а халкъашка малийтира.</verse>
				<verse number="18">Аса Ярушалайм-гӀалане а, ЯхӀуд-махкарчу гӀаланашка а, церан паччахьашка а, тхьамданашка а цу кеда чуьра малийтира, церан латтанаш дассорхьама а, адамашка, цецбовларца шакарш а етташ, цу меттигийн цӀераш а ялош, неӀалт алийта. Нах хӀинццалц а иштта лела.</verse>
				<verse number="19">Аса иштта цу кеда чуьра малийтира: Мисар-махкара паччахь волчу пирӀуне а, иштта цуьнан ялхошка а, тхьамданашка а, цуьнан дерриг халкъе а,</verse>
				<verse number="20">цигарчу эделла долчу халкъашка а; ӀуцӀа-махкарчу массо а паччахьашка а; пӀелаштамхойн гӀаланийн массо а паччахьашка а: Ашкхилун-гӀалин а, Ӏази-гӀалин а, Ӏекхран-гӀалин а, иштта Ашдод-гӀалин дисинчу декъан а массо а паччахьашка а;</verse>
				<verse number="21">Эдом-мехкан а, Муаби-мехкан а, Ӏаммин-мехкан а бахархошка;</verse>
				<verse number="22">Цора-гӀалара а, ЦӀадан-гӀалара а болчу паччахьашка; хӀордан йистехь дехаш долчу къаьмнийн паччахьашка;</verse>
				<verse number="23">Даддан-гӀалане а, Тейма-гӀалане а, Буз-гӀалане а; шайн гиччош тӀера месаш лоргуш мел долчу къаьмнашка а;</verse>
				<verse number="24">Ӏаьрби-махкарчу массо а паччахьашка а; яьссачу аренгахь дехаш долчу тукхамийн массо а паччахьашка а;</verse>
				<verse number="25">Зимарера а, Ӏейламера а, Мадайгара а паччахьашка а;</verse>
				<verse number="26">къилбаседехьа долчу уллорачу а, генарчу а латтанашкара болчу массо а паччахьашка тӀекӀел а. Аса дуьнен тӀехь долчу массо а пачхьалкхашкарчу халкъашка малийтира Везачу Элан оьгӀазаллин кад. Ткъа Шейшакарчу паччахьо а мер бу тӀаьххьара и кад.</verse>
				<verse number="27">ТӀаккха Везачу Эло соьга элира: «ДӀаала цаьрга иштта: „Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: Сан оьгӀазаллин кедара дӀа а молуш, даха а дехаш, схьаӀеттаде, тӀаккха охьа а эгий, кхин хьала а ма гӀитта, шайна Аса даийтина долу тур бахьана долуш“.</verse>
				<verse number="28">Нагахь санна уьш, хьан карара дӀа а эцна, и кад ца молуш дуьхьал бовлахь, ахьа цаьрга ала: „Массо а ницкъийн Везачу Эло боху: аша, хӀуъа хилахь а, дӀамер бу и кад!“</verse>
				<verse number="29">Со Сайн цӀе лелош йолчу гӀалина Ярушалаймана Айса дан леринарг дан волалуш ву. Шуна моьтту хир ду шайна таӀзар ца деш Аса шу дуьтур ду. Дуьтур дац! Аса туьре омра до, дуьнен тӀехь мел болчу нахана таӀзар де аьлла, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло.</verse>
				<verse number="30">Ярми-ЯхӀу, цаьрга дӀаала: „Везачу Эло, лоьмо санна, стигалара схьа гӀигӀ дийр ду. Цо Шен дезачу цӀа чуьра нуьцкъалчу озаца къамел дийр ду. ЧӀогӀачу озаца Цо гӀигӀ дийр ду Шен махкана дуьхьал. Кемсех мутта а доккхуш, кемсаш а хьоьшуш, чагӀар деш болчарна санна мохь беттар бу Цо дуьнен тӀехь бехаш болчу массо а нахе.</verse>
				<verse number="31">И гӀовгӀа дуьненан массо а йистошка дӀакхочу, хӀунда аьлча Везачу Эло къаьмнаш бехкедийр ду. Цо массо а нах кхеле озор бу, ткъа Ӏесанаш Цо туьре дӀалур бу“, — боху Везачу Эло».</verse>
				<verse number="32">Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Цхьана халкъана тӀера вукху халкъана тӀе а кхочуш, бохам бийр бу, ткъа доккха дарц долалуш ду дуьненан генарчу йистошкара.</verse>
				<verse number="33">Дуьненан цхьана йистера дуьйна вукху йисте кхаччалц Ӏохкуш хир ду Везачу Эло хӀаллакбинчеран декъий. Цхьа а стаг хир вац царна воьлхуш, цхьаммо а уьш, хьала а эцна, дӀабухкур бац. Уьш лаьтта тӀехь Ӏохкуш хир бу, кхо санна.</verse>
				<verse number="34">Ткъа шу, церан Ӏуй, узарш а деш, делха! Шайн лазарш бахьана долуш лаьттахь керча! ГӀайгӀанаш а еш, лаьттахь керча! Шу дайа деза йолу хан тӀекхаьчна. Кегйина еза пхьегӀа санна, шу дӀасакхиссина а, охьаэгна а Ӏохкуш хир ду.</verse>
				<verse number="35">Ӏушна кӀелхьардовла меттиг хир яц, жен куьйгалхошна дӀаловчкъа меттиг хир яц.</verse>
				<verse number="36">Ӏуша орца даккхаре ладогӀа! Жен куьйгалхойн белхаре ладогӀа! Уьш иштта боьлху, Веза Эла церан дежийла хӀаллакьеш волу дела.</verse>
				<verse number="37">Везачу Элан дералла бахьана долуш, машаре йолу дежийлаш яссийна хир ю.</verse>
				<verse number="38">Веза Эла шен хьеха чуьра арадаьлла долу лом санна ву. Иштта церан латта дассийна хилира, гӀело йинчун тур а, Цуьнан чӀогӀа дералла а бахьана долуш».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="26">
				<verse number="1">ЯхӀудхойн паччахь волчу Юши-ЯхӀун кӀентан ЯхӀу-Якхаман паччахьаллин хьалхарчу шарахь Везачу Элера хаам кхечира.</verse>
				<verse number="2">Цо элира: «Везачу Элан цӀийнан керта дӀа а хӀоттий, Цуьнан цӀенна уллохь Далла Ӏибадат дан баьхкина болчу а, ЯхӀуд-махкарчу болчу а массо а нахе вистхила.</verse>
				<verse number="3">Шайга бохучуьнга ла а доьгӀна, шаьш лелаш болчу вочу некъа тӀера дӀаберза мегара уьш. ТӀаккха Аса, дохко а ваьлла, цара лелийначу вочунна Айса бан лерина болу бохам царна бийр бацара.</verse>
				<verse number="4">Цаьрга ала: „Везачу Эло иштта боху: Аса шайна белла болчу товрат-хьехамца а лелаш, аша Соьга ладогӀа деза!</verse>
				<verse number="5">Аса дукхазза а шу долчу Сайн ялхой болу пайхамарш бохкуьйтура, амма аша цаьрга ла ца дугӀура. ХӀинца церан дешнашка аша ладогӀа деза!</verse>
				<verse number="6">Шу иштта ца лелахь, тӀаккха Аса хӀокху Сан дезачу цӀенна Шилун-гӀалина диннарг дийр ду. ТӀаккха дуьнен чохь долчу массо а халкъаша хӀокху гӀалин цӀе яккхарца неӀалташ бохур ду“».</verse>
				<verse number="7">Динан дай а, пайхамарш а, массо а халкъ а ладугӀуш дара Ярми-ЯхӀус хӀара дешнаш Везачу Элан цӀийнан кертахь дӀакхайкхочу хенахь.</verse>
				<verse number="8">Ярми-ЯхӀус Везачу Эло шега дӀаала аьлларг дерриге а халкъе дӀаэлира. Эццахь динан дайша а, пайхамарша а, халкъо а иза схьа а лаьцна, цуьнга элира: «Хьо вала веза!</verse>
				<verse number="9">ХӀунда бо ахьа Везачу Элан цӀарах хаамаш, хӀокху Везачу Элан цӀенна Шилун-гӀалина диннарг дийр ду, хӀара Ярушалайм-гӀала йохийна а, яссийна а дӀахӀоттор ю бохуш?» Массо а халкъ Везачу Элан цӀийнан кертахь дӀахӀоьттира, Ярми-ЯхӀуна дуьхьал а даьлла.</verse>
				<verse number="10">Иза шайна дӀахезча, яхӀудхойн тхьамданаш, паччахьан цӀа чуьра ара а бевлла, Везачу Элан цӀа долчу баьхкира. Везачу Элан цӀийнан керта тӀе вогӀучохь лаьтташ долчу Керлачу кевнна уллора шайн меттигаш дӀалецира цара.</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха динан дайша а, пайхамарша а элира тхьамданашка а, гулделлачу халкъе а: «ХӀокху стагана вен кхел ян догӀуш ду, хӀунда аьлча цо тхан Ярушалайм-гӀалина дуьхьал хаамаш бора. Шуна иза шайн лергашна ма хезара!»</verse>
				<verse number="12">Массо а тхьамданашка а, дерриг а халкъе а Ярми-ЯхӀус элира: «Везачу Эло ваийтина со хӀокху цӀийнах а, хӀокху гӀаланах а лаьцна шуна мел хезна хаамаш бан.</verse>
				<verse number="13">Нисде шайн некъаш а, шайн гӀуллакхаш а, ткъа шайн Везачу Дала бохучуьнга ладогӀа. ТӀаккха Цо, дохко а ваьлла, Ша аьлла болу бохам шуна бийр бацара.</verse>
				<verse number="14">Ткъа со шун карахь ву. Шайна дика а, нийса а хеташ дерг де суна.</verse>
				<verse number="15">Амма аша со вехь, шу цхьана хӀуманах кхетар ду: бехк боцучу стеган цӀий шайх а, хӀокху гӀаланах а, цуьнан бахархойх а аша хьорчуьйту, хӀунда аьлча со Везачу Эло ваийтина вара, аса шуьга аьлларг шун лергашна дӀахазийта».</verse>
				<verse number="16">ТӀаккха тхьамданаша а, дерриг халкъо а элира динан дайшка а, пайхамаршка а: «ХӀара стаг вен кхел ян вогӀуш вац, хӀунда аьлча цо вайн Везачу Делан цӀарах къамел дина тхоьца».</verse>
				<verse number="17">Масех къано, хьала а гӀаьттина, вистхилира дерриге а халкъан гуламе:</verse>
				<verse number="18">«Муршатахо волу Мика-ЯхӀу пайхамар хилла яхӀудхойн паччахьо Хьузакх-ЯхӀус олалла дечу хенахь. Цо дерриг а ЯхӀудан халкъе аьллера: „Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: ‘Цийон-лам, кха санна, охур бу, Ярушалаймах тӀулгийн оьла хир ю, Делан цӀа тӀехь лаьттинчу лам тӀе хьун ер ю’.</verse>
				<verse number="19">ЯхӀудхойн паччахь волчу Хьузакх-ЯхӀус а, ЯхӀудан халкъо а вийрий Мика-ЯхӀу? Хьузакх-ЯхӀу Везачу Элана хьалха ларамах вуьзна ца хилла те, цо Веза Эла шена резахилийтар ца лехна те? Ткъа Везачу Эло, дохка а ваьлла, Ша царна бан аьлла болу бохам ца сацийна те? Ткъа вай ваьшна доккха зен дан кечделла“».</verse>
				<verse number="20">(ХӀокху гӀалина а, махкана а дуьхьал Везачу Элан цӀарах, Ярми-ЯхӀус ма-аллара, Делера болу хаамаш беш кхин цхьа стаг вара. Иза Кхиръят-ЯӀариман вахархо волу ШамӀа-ЯхӀун кӀант УръяхӀу вара.</verse>
				<verse number="21">ЯхӀу-Якхамна а, цуьнан мел болчу тӀеман хьаькамашна а, цуьнан тхьамданашна а оцу пайхамаран дешнаш дӀахезча, паччахьна иза вейта лиира. И хӀума шена хиъча, УръяхӀу, кхера а велла, ведда Мисар-махка дӀавахара.</verse>
				<verse number="22">Амма ЯхӀу-Якхам-паччахьо, Мисар-махка Ӏахбаран кӀант Эли-Ната а, цуьнца кхин а нах а бахийтина,</verse>
				<verse number="23">цигара УръяхӀу схьавалавайтира. ТӀаккха ЯхӀу-Якхам-паччахьо, иза тур тоьхна вен а вейтина, цуьнан дакъа къечу нехан кешнаш долчохь охьакхоссийтира.)</verse>
				<verse number="24">Амма Шапанин кӀант Ахьикхам Ярми-ЯхӀуна тӀехӀоьттира, цундела иза халкъан кара дӀа ца велира, цаьрга ца вейтархьама.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="27">
				<verse number="1">ЯхӀудхойн паччахь волу Юши-ЯхӀун кӀант ЯхӀу-Якхам паччахь хилла дӀахӀоьттинчу дуьххьарчу заманахь Везачу Элера хӀара хаам кхечира Ярми-ЯхӀуга.</verse>
				<verse number="2">Везачу Эло соьга иштта элира: «Ярми-ЯхӀу, цӀоканан моханех а, дукъойх а хьайна дукъ а дай, иза хьайна тӀедилла.</verse>
				<verse number="3">И саннарш Эдомерчу а, Муаби-махкарчу а, Ӏамминарчу а, Цора-гӀаларчу а, ЦӀаданарчу а паччахьашна а дахьийта. Уьш Ярушалайме яхӀудхойн паччахь ЦӀадукъ-ЯхӀу гархьама баьхкинчу векалшкахула дӀадахьийта.</verse>
				<verse number="4">ХӀара дешнаш цу паччахьашка дӀаалар цу векалшна тӀедилла: „Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: шайн паччахьашка иштта дӀаала:</verse>
				<verse number="5">‘Сайн боккхачу ницкъаца а, тӀекховдийначу куьйгаца латта а, адамаш а, лаьтта тӀера бежанаш а кхоьллина Аса. Сайна мел луучун кара Аса и латта дӀало.</verse>
				<verse number="6">Ткъа хӀинца Аса хӀара массо а хӀума Сайн лай волчу Бавелан паччахьан Набухди-Нецаран кара дӀало. Аса аренан акхарой а цунна гӀуллакх дан дӀало.</verse>
				<verse number="7">Массо а халкъаш цунна а, цуьнан кӀантана а, цуьнан кӀентан кӀантана а гӀуллакх деш хир ду. Иза иштта хир ду, Бавел эшна хир йолу заман тӀекхаччалц. ТӀаккха дуккха а къаьмнаша а, сийлахьчу паччахьаша а Бавел-мохк муьтӀахь бийр бу.</verse>
				<verse number="8">Нагахь санна цхьа къам я пачхьалкх Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецарна дуьхьал далахь, цуьнан дуькъана хьалха шен ворта охьа а ца таӀош, цу къомана Аса туьраца, мацаллица, Ӏожаллин уьнца таӀзар дийр ду, — боху Везачу Эло, — и къам Аса Набухди-Нецаре кхоччуш хӀаллакдайтталц.</verse>
				<verse number="9">Ла ма догӀа шайн пайхамаршка а, пал туьйсуш болчаьрга а, гӀенаш туьдуш болчаьрга а, бозбунчашка а, жинашца тайначаьрга а. Цара боху: ‹Шу Бавелан паччахьна муьтӀахь хила ца деза›.</verse>
				<verse number="10">Цара шуьга харцдерг дуьйцу, шу шайн лаьтта тӀера гена дӀалахкийтархьама. Аса шу дӀалохкур дара, ткъа шу хӀаллакьхир дара.</verse>
				<verse number="11">Бавелан паччахьан дукъ тӀе а эцна, цунна гӀуллакх деш сецна муьлхха а къам Аса шен лаьтта тӀехь дуьтур ду. Иза, шен лаьтта тӀехь гӀуллакх а деш, цу тӀехь дехар ду’, — боху Везачу Эло“».</verse>
				<verse number="12">И хаам а аса ЯхӀудан паччахь волчу ЦӀадукъ-ЯхӀуга дӀакхачийра. Аса элира: «ОхьатаӀае шайн ворта Бавелан паччахьан дукъана хьалха, цунна а, цуьнан халкъана а гӀуллакх а деш саца — дийна дуьсур ду шу.</verse>
				<verse number="13">ХӀунда хуьлуш ду хӀаллак хьо а, хьан къам а тур а, мацалла а, Ӏожаллин ун а бахьана долуш? Везачу Эло и дерриг а Бавелан паччахьна муьтӀахь ца хиллачу къомана хир ду аьлла ма ду.</verse>
				<verse number="14">Ла ма дийгӀийша шайга: „Бавелан паччахьан кара шу гӀур дац“, — бохуш болчу пайхамаршка. Цара шуна бо хаамаш харц бу.</verse>
				<verse number="15">Уьш Аса баийтина бац шу долчу, — боху Везачу Эло. — Цара Сан цӀарах харцхаамаш бо. Цундела Аса шу дӀалохкур а ду, ткъа шу хӀаллак а хир ду — шу а, шуна харцхаамаш беш болу пайхамарш а».</verse>
				<verse number="16">Динан дайшка а, дерриг халкъе а аса элира: «Иштта боху Везачу Эло: „‘Везачу Элан цӀа чуьра дӀаяьхьна йолу пхьегӀаш кестта Бавел-махкара юхаерзор ю’, — бохуш болчу шайн пайхамаршка ла ма догӀа. Цара шуна харцхаамаш бо.</verse>
				<verse number="17">Цаьрга ла а ца дугӀуш, Бавелан паччахьна муьтӀахь хила, тӀаккха шу дийна дуьсур ду. ХӀара гӀала, къапалг а йина, хӀунда хӀаллакйина яра?</verse>
				<verse number="18">Нагахь санна уьш пайхамарш а белахь, цаьргахь Сан дош а делахь, цара массо а ницкъийн Везачу Эле шайн доӀанашца деха деза Везачу Элан цӀа чохь а, яхӀудхойн паччахьан цӀа чохь а, Ярушалаймехь а йисина йолу еза пхьегӀаш Бавеле дӀа ма яхьийта аьлла“».</verse>
				<verse number="19">Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху цӀестан бӀогӀамех а, цӀестан хӀордах а, цӀестан кӀелхӀотторгех а, иштта хӀокху гӀалахь йисначу кхийолчу хӀуманех лаьцна.</verse>
				<verse number="20">(Уьш Набухди-Нецара ша яхӀудхойн паччахьан ЯхӀу-Якхаман кӀант Яхун-ЯхӀу а, ЯхӀуд-махкара а, Ярушалаймера а цӀеяхана болу массо а нах Бавеле дӀабуьгучу хенахь цига дӀа ца яьхьнера.)</verse>
				<verse number="21">Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло Шен дезачу цӀа чохь а, яхӀудхойн паччахьан цӀа чохь а, Ярушалайм-гӀалахь а йисначу хӀуманех лаьцна иштта боху:</verse>
				<verse number="22">«Уьш Бавеле дӀахьур ю, царна тидам бан беза Аса сацам бечу денна тӀекхаччалц уьш цу гӀалахь а хир ю, — боху Везачу Эло. — Цул тӀаьхьа Аса оцу метте уьш юха йоуьйтур ю».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="28">
				<verse number="1">Оццу шарахь, яхӀудхойн паччахьо ЦӀадукъ-ЯхӀус олалла дечу дуьххьарчу заманахь — доьалгӀачу шеран, пхоьалгӀачу баттахь цуьнан паччахьаллехь — ГавӀонера пайхамар волу Ӏазуран кӀант Хьанан-ЯхӀу соьга вистхилира. Везачу Элан цӀийнан кертахь а волуш, динан дайшна а, массо а халкъана а хьалха Хьанан-ЯхӀус соьга элира:</verse>
				<verse number="2">«Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Аса дохор ду Бавелан паччахьан дукъ.</verse>
				<verse number="3">Ши шо далале, Аса оцу метте юхаяхьар ю Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара Везачу Элан цӀа чуьра Бавеле дӀаяьхьна йолу ерриге а хӀуманаш.</verse>
				<verse number="4">ЯхӀудхойн паччахь волу ЯхӀу-Якхаман кӀант Яхун-ЯхӀу а, ЯхӀуд-махкара Бавеле дӀабигна болу массо а йийсархой а Аса хӀокху метте юхаберзор бу, — боху Везачу Эло. — Аса дохор ду Бавелан паччахьо яхӀудхошна тӀедиллина долу дукъ“».</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха Ярми-ЯхӀу Везачу Элан цӀийнан кертахь болчу динан дайшна а, массо а нахана хьалха пайхамар волчу Хьанан-ЯхӀуга вистхилира.</verse>
				<verse number="6">Ярми-ЯхӀу-пайхамаро элира: «Иштта хуьлийла иза, Везачу Эло иштта нисдойла иза! Везачу Элан цӀийнан хӀуманаш а, массо а йийсархой а Бавелера хӀокху метте юха а берзош, Везачу Эло кхочушдойла ахьа Делан цӀарах аьлла долу дешнаш!</verse>
				<verse number="7">Амма ахьа ладогӀалахь аса хӀинца хьоьга массарна а хозуьйтуш олучуьнга.</verse>
				<verse number="8">Хьол а, сол а хьалха хиллачу пайхамарша, хиндолчух лаьцна Делера болу хаамаш шаьш бечу хенахь, дуккха а мехкашна а, яккхийчу пачхьалкхашна а тӀом а, бохам а, ун а хир ду аьлла.</verse>
				<verse number="9">Нагахь санна цхьана пайхамаро, машар хир бу аьлла, схьакхайкхош хилча, иза, баккъал Везачу Эло ваийтина пайхамар ву аьлла, тӀелоцуш ца хилла, цо аьлларг кхочушхиллалц».</verse>
				<verse number="10">ТӀаккха пайхамар волчу Хьанан-ЯхӀус Ярми-ЯхӀун кочара дукъ, схьа а даьккхина, дохийра.</verse>
				<verse number="11">Массо а халкъана хьалха Хьанан-ЯхӀус хӀара дешнаш элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Оццу тайпана Аса, ши шо далале, Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран дукъ а дохор ду, массо а къаьмнийн кочара схьа а даьккхина“». Цул тӀаьхьа Ярми-ЯхӀу-пайхамар шен новкъа дӀавахара.</verse>
				<verse number="12">Хьанан-ЯхӀу-пайхамаро Ярми-ЯхӀу-пайхамаран кочара дукъ дохийначул тӀаьхьа, Везачу Элан дош кхечира Ярми-ЯхӀуга:</verse>
				<verse number="13">«Ваха а гӀой, Хьанан-ЯхӀуга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Ахьа дохийнарг дечиган дукъ ду, ткъа ахьа динарг бахьана долуш, цуьнан метта аьчка дукъ хир ду’.</verse>
				<verse number="14">Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: ‘Аса аьчка дукъ дуьллур ду цу массо а къаьмнийн коча, уьш Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран куьйга кӀелахь хилийта. Уьш цунна гӀуллакх деш лелар ду. Аса аренан акхарой а цунна дӀаелла’“».</verse>
				<verse number="15">Ярми-ЯхӀу-пайхамаро элира Хьанан-ЯхӀу-пайхамаре: «ЛадогӀал соьга, Хьанан-ЯхӀу, хьо Везачу Эло ваийтина вац. Ткъа ахьа хӀара халкъ харцхаамах тешийтина.</verse>
				<verse number="16">Цундела Везачу Эло иштта боху: „Аса кху дуьнен чуьра дӀавуьгур ву хьо, Хьанан-ЯхӀу. Хьо кху шарахь лийр ву, хӀунда аьлча ахьа кхайкхийнарг бахьана долуш нах Везачу Элана дуьхьалбевр бу“».</verse>
				<verse number="17">Цу шеран ворхӀалгӀачу баттахь Хьанан-ЯхӀу-пайхамар велира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="29">
				<verse number="1">Ярушалаймера Ярми-ЯхӀу-пайхамаро кехат дахьийтира Набухди-Нецара Ярушалаймера Бавеле дӀабигна болчу йийсархойх бисина болчу къаношка а, иштта динан дайшка а, пайхамаршка а, цигахь долчу массо а халкъе а.</verse>
				<verse number="2">И кехат дахьийтира паччахь волу Яхун-ЯхӀу, цуьнан нана а, Ярушалаймера а, ЯхӀуд-махкара а паччахьан кертара ялхой а, тхьамданаш а, иштта дечиган а, аьчка пхьераш а Ярушалаймера дӀабигинчул тӀаьхьа.</verse>
				<verse number="3">Ярми-ЯхӀус и кехат дӀаделира Шапанин кӀанте ЭлиӀасига а, Хьалкхи-ЯхӀун кӀанте Гамар-ЯхӀуга а. ЯхӀудхойн паччахьо ЦӀадукъ-ЯхӀус уьш Бавел-махкахь волчу Набухди-Нецар-паччахьна тӀе дӀабахийтинера. Цу кехатан чулацам хӀара бара:</verse>
				<verse number="4">«Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло Ярушалаймера Бавеле дӀабахийтинчу массо а йийсархошка иштта боху:</verse>
				<verse number="5">„Шайна цӀенош а дай, цу чохь Ӏе, бошмаш дӀа а йогӀа, цу тӀера стоьмаш а баа.</verse>
				<verse number="6">Зударий а балабе, шайна кӀентий а, зудабераш а кхиаде. Шайн кӀенташна зударий а балабе, зудабераш маре а дахийта, церан дуккха а кӀентий а, зудабераш а хилийта, шаьш кӀезиг ца хилийта а, шайн тӀаьхье дебийта а.</verse>
				<verse number="7">Аса шаьш дӀадахийтина йолчу гӀалин машар а, беркат а совдаккха гӀерта, и гӀала Везачу Эле йоьхуш доӀанаш а де, хӀунда аьлча цу гӀалахь беркат хилча, шуна а беркат хир ду“.</verse>
				<verse number="8">Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Шайн юкъахь болчу пайхамаршка а, пал туьйсучаьрга а шаьш ле ма дайта. Шайн омрица гӀенаш гушболчеран гӀенех а ма теша.</verse>
				<verse number="9">Цара Сан цӀарах харцкхайкхамаш бо. Уьш Ас баийтина бац“, — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="10">Иштта боху Везачу Эло: „Шу Бавелехь долу кхузткъе итт шо кхаьчначул тӀаьхьа Со шун аьтто бан хьожур а ву, Айса шух лаьцна аьлла долу дешнаш кхочуш а дийр ду, шу хӀокху метте схьа а дерзош.</verse>
				<verse number="11">ХӀунда аьлча шуна лерина йолу Сан ойланаш Суна бен ца хаьа, — боху Везачу Эло. — И Сан ойланаш шуна аьттонна ю, шуна вонна яц, сатийсамах дуьзна долу хиндерг шуна дӀадала лерина ю уьш.</verse>
				<verse number="12">Шу Соьга кхойкхуш, доӀанаш деш, Со волчу догӀучу хенахь, Аса шуьга ладугӀур ду.</verse>
				<verse number="13">Аша Со лохур а ву, Со шуна карор а ву. Нагахь санна аша Со доггах лахахь,</verse>
				<verse number="14">Аса шуьга Со каравойтур ву, — боху Везачу Эло. — Аса шун аьтто хилар карладоккхур а ду, массо а халкъашна юккъера, массо а Айса дӀалаьхкинчу мехкашкара шу гулдийр ду Аса, — боху Везачу Эло. — Хьалха шаьш йийсаре дӀадигначу метте юхадалор ду Аса шу“.</verse>
				<verse number="15">Аша ала мегар ду: „Везачу Эло Бавелехь а ма белла тхуна пайхамарш“.</verse>
				<verse number="16">Амма Везачу Эло Даудан гӀанта тӀехь Ӏаш волчу паччахьах лаьцна а, иштта кху гӀалахь дехаш долчу йийсаре дигаза дисинчу хьан къомахойх лаьцна а иштта боху.</verse>
				<verse number="17">Царах лаьцна массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Аса кестта оцу адамашна тӀе тӀом а, мацалла а, Ӏожаллин ун а хьажор ду, Аса уьш яа мегаш ца хиллал телхина йолу вон инжираш санна бина дӀахӀиттор бу.</verse>
				<verse number="18">Со царна туьраца, мацаллица, Ӏожаллин уьнца тӀаьхьавер ву. Дуьнен чохь йолу массо а пачхьалкхаш кхераелла хир ю, шайна цу халкъана динарг гича. Аса уьш дӀа мел лаьхкинчу массо а къаьмнашна юкъахь наха церан цӀе яккхарца неӀалт эр ду, царна динчунна нах инзарбевлла хир бу, царах кхаьрдар бу, нахана уьш дола хетар бу.</verse>
				<verse number="19">Иза царна хир ду цу наха Соьга ла ца доьгӀна дела, — боху Везачу Эло. — Цара ла ца дугӀура Аса шайга дукхазза а Сайн ялхой болчу пайхамаршкахула бахьийтинчу хаамашка. Ткъа йийсаре дӀадигна долчу аша а оцу хаамашка ла ца дугӀура“, — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="20">Ткъа аша, массо а Аса Ярушалаймера Бавеле дӀабахийтинчу йийсархоша, Везачу Эло бохучуьнга ладогӀа.</verse>
				<verse number="21">Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло Сан цӀарах шуна харцхаамаш бечу Къули-ЯхӀун кӀантах Ахьабах а, МаӀсей-ЯхӀун кӀантах ЦӀадукъ-ЯхӀух а лаьцна иштта боху: „Уьш Аса Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран кара дӀалур бу, ткъа цо уьш шун бӀаьргашна хьалха хӀаллакбийр бу.</verse>
				<verse number="22">Бавелехь йийсарехь болчу массо а яхӀудхоша, царах масал а далош, шаьш неӀалт кхайкхочу хенахь иштта бохур ду: ‘Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара цӀергахь вагийна волчу ЦӀадукъ-ЯхӀуний, Ахьабний диннарг дойла шуна Везачу Эло’.</verse>
				<verse number="23">Цу шина пайхамаро Исраил-махкахь дегаза гӀуллакхаш дора: шайн уллорачеран зударшца хьарам лелара, Сан цӀарах хаамаш бора, Аса шайна и хаамаш ца беллехь а, уьш харцхаамаш белахь а. И хӀума Суна хууш ду, Со цунна теш а ву“, — боху Везачу Эло».</verse>
				<verse number="24">Нахьлимхо волчу ШамӀа-ЯхӀуга дӀаала:</verse>
				<verse number="25">«Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Ахьа дерриге а Исраилан халкъе а, иштта динан да волчу МаӀсей-ЯхӀун кӀанте Цапни-ЯхӀуга а, массо а кхиболчу динан дайшка а хьайгара кехаташ дахьийтира. Цу тӀехь яздина дара:</verse>
				<verse number="26">‘Хьо Везачу Эло ЯхӀу-ЯдаӀана метта динан да вина дӀахӀоттийра, хьоьга Везачу Элан цӀийнан керта тӀехь куьйгалла дайта а, иштта хӀора, ша пайхамар ву бохуш, хьераваьлча санна лелаш верг набахти чу воллийта а. И санна волчу стагана, буржал а тоьхна, коча гӀомат йолла еза.</verse>
				<verse number="27">Ахьа тӀех хӀунда ца диттира Ӏанатотхо волчу Ярми-ЯхӀуна, шайна юкъахь, иза пайхамар ву бохуш, лелаш хилча?</verse>
				<verse number="28">Цо тхо долчу Бавеле а хӀара хаам баийтина: ‹Шун йийсарехь хилар деха хир ду. Шайна цӀенош а дай, цу чохь Ӏе, бошмаш дӀа а йогӀа, цу тӀера стоьмаш а баа›’“».</verse>
				<verse number="29">Динан да волчу Цапни-ЯхӀус и кехат Ярми-ЯхӀу-пайхамарна дӀадешча,</verse>
				<verse number="30">Ярми-ЯхӀуга Везачу Элера хаам кхечира:</verse>
				<verse number="31">«Ярми-ЯхӀу, Бавелехь болчу массо а йийсархошка хӀара хаам бахьийта: „Иштта боху Везачу Эло нахьлимхо волчу ШамӀа-ЯхӀух лаьцна: ‘ШамӀа-ЯхӀус шуна Делера болуш санна хаамаш бора, амма иза Аса ваийтина вацара. Цо шу харцхаамех тешийтира’.</verse>
				<verse number="32">И хӀума дар бахьана долуш, Веза Эла волчу Аса иштта боху: ‘Аса билггал нахьлимхо волчу ШамӀа-ЯхӀуна а, цуьнан тӀаьхьенна а таӀзар дийр ду. Шуна юкъахь цуьнан тӀаьхьенах цхьа а вуьсур вац, ткъа цунна гур дац Аса Сайн къомана дан лерина долу дика, — боху Везачу Эло, — хӀунда аьлча цо халкъ Везачу Элана дуьхьалдаьккхира’“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="30">
				<verse number="1">Ярми-ЯхӀуга Везачу Элера хаам кхечира:</verse>
				<verse number="2">«Исраилан халкъан Везачу Дала иштта боху: „Аса хьайга аьлла долу массо а хӀума тептар тӀе дӀаязде,</verse>
				<verse number="3">хӀунда аьлча тӀекхочуш ду, — боху Везачу Эло, — Аса Исраилан а, ЯхӀудан а долу, Сайн халкъан аьтто юхаметтахӀоттор долу денош. Аса и халкъ юха а церан дайшна Айса деллачу лаьтта тӀе схьадалор ду, и латта церан долахь а хир ду“».</verse>
				<verse number="4">ХӀара дешнаш Везачу Эло Исраилан а, ЯхӀудан а халкъах лаьцна аьлла ду.</verse>
				<verse number="5">«Иштта боху Везачу Эло: „Кхерабелла, боьлхуш болчеран аьзнаш хезаш ду. Къематан гӀовгӀа хезаш ю, машар а бац.</verse>
				<verse number="6">Хаттар а дай, ойла е: боьршачу стага бер дой? Дера ца до. Иштта хилча, хӀунда го Суна хӀора боьршачу стеган куьйгаш церан гай тӀехь, бер деш йолчу зудчун санна? Церан яххьаш бос байна а хӀунда ю?</verse>
				<verse number="7">ЭхӀ, ма къемате хир ду и де, цхьа а де цунах тарлур а дац. Якъубан тӀаьхьенна иза гӀайгӀане зама хир ю, амма оцу гӀайгӀанех и тӀаьхье кӀелхьаръер ю“».</verse>
				<verse number="8">«И де тӀекхаьчна, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло, — Аса Исраилан а, ЯхӀудан а халкъийн кочара дукъ дохор ду, Аса шун буржалш а дӀадохур ду. Кхечу къаьмнаша Сан къоме шайна кхин гӀуллакх дойтур дац.</verse>
				<verse number="9">Амма уьш шайн Везачу Далла а, Аса царна хӀоттор волчу, Даудан тӀаьхьенах волчу шайн паччахьна а гӀуллакх деш лелар бу.</verse>
				<verse number="10">Ткъа хьо, Сан ялхо йолу Якъубан тӀаьхье, кхера ма ло, — боху Везачу Эло, — ма къахка, Исраилан халкъ. Аса хьо генарчу махках кӀелхьар а доккхур ду, шаьш йийсаре дӀадигначу махкара хьан тӀаьхьенаш паргӀат а йохур ю. Якъубан тӀаьхье юхайоьрзур ю, уьш машарехь а, сашортехь а бехар бу. Шуна цхьаммо а кхерамаш а туьйсур бац,</verse>
				<verse number="11">хӀунда аьлча Со шуьца ву, шу кӀелхьардохур ду — боху Везачу Эло. — Шу дӀасалаьхкина мел долу къаьмнаш Аса билггал хӀаллакдийр делахь а, шу хӀаллак ца деш дуьтур ду. Шуна таӀзар ца деш Аса шу дуьтур дац, амма Аса нийсонца шуна таӀзар дийр ду».</verse>
				<verse number="12">Иштта боху Везачу Эло Шен халкъе: «Хьан чевнна дан дарба дац, хьан йоьхна меттиг меттахӀотталур яц.</verse>
				<verse number="13">Кхелехь къасто дезачу хьан гӀуллакхна гӀайгӀа бан цхьа а вац, хьан цамгар дӀаерзо иштта цхьа а вац. Хьуна дан дарба а дац.</verse>
				<verse number="14">Хьан мел хиллачу бартхошна хьо дицделла, цу къаьмнашна бала бац, хьуна хӀуъа хилча а. МостагӀчо санна, Аса хьуна тоьхна, луьрачо санна, Аса хьуна таӀзар дина, хӀунда аьлча хьан бехк боккха бу, ткъа ахь летийна къинош алссам ду.</verse>
				<verse number="15">Хьайн чевнашна хӀунда бо ахь латкъамаш, хьайн лазарна дан дарба доццушехь а? Веза Эла волчу Аса дина ду иза, хӀунда аьлча хьан бехк боккха бу, ткъа ахь летийна къинош алссам ду.</verse>
				<verse number="16">Хьо мел дӀакхоллурш шаьш дӀакхаьллина хир бу. Хьан мел болу мостагӀий шаьш хир бу йийсарехь. Хьох хӀонс мел йоккхурш шаьш хӀонс хилла дӀахӀуьттур бу. Хьуна талор мел дийраш Аса талорхошка дӀалур бу.</verse>
				<verse number="17">Аса хьуна могушалла юхалур ю, хьан чевнаш а тойийр ю, — боху Везачу Эло, — хӀунда аьлча хьан мостагӀаша боху: „Цийон юхатеттина ма ю, цунах цхьаммо а гӀайгӀа ма ца бо“».</verse>
				<verse number="18">Амма Везачу Эло боху: «Аса Якъубан тӀаьхьенан аьтто юхаметтахӀоттор бу, цуьнан мел болчу доьзалх къинхетам а бийр бу. ГӀала юхаметтахӀоттийна хир ю ша хиллачу гу тӀехь, ткъа гӀалин гӀап шен хьалха хиллачу меттехь лаьттар ю.</verse>
				<verse number="19">Кхузара схьа хезаш хастамаш беш йолу эшарш хир ю, массо а маьӀӀера схьахезаш самукъане аьзнаш а хир ду. Аса церан тӀаьхье совйоккхур ю, церан терахь жимлур дац, Аса церан цӀе йохуьйтур ю, цхьа а къам цаьрга лакхара хьоьжур дац.</verse>
				<verse number="20">Сан къоман бераш тохара санна Ӏийр ду, цуьнан гулам Суна хьалха дӀахӀуттур бу. Цунна гӀело ечарна Аса таӀзар дийр ду.</verse>
				<verse number="21">Цуьнан баьчча оцу къомах схьавер ву, халкъан олахо царна юкъара хир ву. Аса Сайна тӀеозавойтур ву иза, ткъа иза Сайна улло валор ву, хӀунда аьлча Суна улло ван шен са ца кхоош мила ваьхьар ву? — боху Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="22">Шу Сан къам хилла дӀахӀуьттур ду, ткъа Со шун Дела хир ву».</verse>
				<verse number="23">Везачу Элан дералла, дарц санна, царна тӀейогӀуш ю, иза Ӏесачеран коьрта тӀе, йилбазмох санна, южур ю.</verse>
				<verse number="24">Везачу Элан оьгӀазалла дӀаер яц, Цо дан мел леринарг чекхдаккхалц. ТӀедогӀуш долчу деношкахь шу цунах кхетар ду.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="31">
				<verse number="1">«Цу заманахь, — боху Везачу Эло, — Со Исраилан халкъан массо а тайпанийн Дела хир ву, ткъа уьш Сан къам хир ду».</verse>
				<verse number="2">Везачу Эло иштта боху: «Туьрах кӀелхьарбевллачу нахана яьссачу аренгахь Везачу Элан дика карийна. Исраилан халкъ шена синтем лохуш лелара».</verse>
				<verse number="3">Генначу меттехь Везачу Эло, суна хьалха дӀа а хӀоьттина, соьга элира: «Массо а ханна болчу безамца дезаделла хьо Суна, Исраилан халкъ, Аса хьоьга кховдийна Сан хедар боцу безам.</verse>
				<verse number="4">Аса юха а меттахӀоттор ду хьо, йоӀстаг санна долу Исраилан халкъ, хьо юхаметтахӀоттийна а хир ду. Ахь юха а жиргӀанаш еттар ю, самукъане хелхар а деш, хьо лелар ду.</verse>
				<verse number="5">Ахьа юха а Шамран-махкарчу лаьмнашкахь кемсийн бошмаш кхиор ю, ткъа кемсаш лелош болчара шаьш кхиийначу кемсех шайна пайда а оьцур бу.</verse>
				<verse number="6">Цхьа де догӀур ду, гӀаролхоша Эпрайм-лаьмнашкара дӀакхайкхор деш: „ХьалагӀовтта, вайн Веза Дела волчу, Цийон-лам тӀе хьаладевр ду вай“».</verse>
				<verse number="7">ХӀунда аьлча Везачу Эло иштта боху: «Сакъералуш, Якъубан тӀаьхьенна эшарш лекха, мохь бетта къаьмнийн уггар сийлахьчунна. Массарна а хезаш, цунна хастамаш бе, иштта ала: „КӀелхьардаккхахьа, Веза Эла, Хьайн къам, Исраилан халкъах дисинарг!“</verse>
				<verse number="8">Къилбаседерачу махкара Аса схьабалор бу уьш, дуьненан йистошкара Аса схьагулбийр бу уьш. Цаьрца цхьаьна бӀаьрзениг а, астагӀниг а, берах ерг а, бер деш ерг а хир ю. Йоккхачу тобанца уьш юхабоьрзур бу кхуза.</verse>
				<verse number="9">Белха а боьлхуш, уьш схьабогӀур бу, доӀанаш а деш, ткъа Аса уьш юхаберзор бу. Хишна уллохула, аттачу некъаца дӀабуьгур бу Аса уьш, церан когаш а тийсалур бац. Аса буьгур бу уьш, хӀунда аьлча Со Исраилан Да ву, ткъа Эпрайм Сан дуьххьарлерниг ву».</verse>
				<verse number="10">Халкъаш, ладогӀалаш Везачу Элера болчу хааме, хӀордан йистехь дехаш долчу генарчу къаьмнашка иза дӀахаийталаш: «Исраилан халкъ дӀасадаржийначо иза схьа а гулдийр ду. Ӏуьно шен жа санна, Цо иза лардийр ду».</verse>
				<verse number="11">Везачу Эло Якъубан тӀаьхье мехах паргӀатйоккхур ю, цуьнан чул ницкъ болчеран карара схьа а йоккхур ю.</verse>
				<verse number="12">Цийон-лам тӀе а деана, Исраилан халкъ доккхадеш лелар ду, ирсах дуьзна хир ду церан юьхьсибат, Везачу Эло мел деллачунна: кӀа, керла чагӀар, зайтдаьтта, жена а, бежана а юкъара кӀорнеш. Хих тоам хилла йолу беш санна хир бу уьш, ткъа церан дог кхин доьхна хир дац.</verse>
				<verse number="13">«Оцу хенахь зудабераш халхадевр ду, къонахой а, баккхийнаш а самукъане хир бу. Церан гӀайгӀанех Аса сакъерар дийр ду. Сингаттаман метта Аса царна синтем а, ирс а лур ду.</verse>
				<verse number="14">Аса динан дайшна токхе кхача лур бу, Сан къам Сайн дикачух дузур а ду», — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="15">Иштта боху Везачу Эло: «Аз хеза Рами чохь, инзаре мохь, тийжар хеза. Рахьал йоьлху шен берашна, амма цхьаммо а шен дог оьцийла цунна ца лаьа, хӀунда аьлча цуьнан бераш дӀадевлла ду».</verse>
				<verse number="16">Амма Везачу Эло боху: «Йоьлхучуьра саца, хьайн бӀаьрхиш а дӀадаха, ахь бинчу балхана хьуна совгӀат дийр ду, — боху Везачу Эло. — Хьан бераш мостагӀийн лаьттара юхадоьрзур ду.</verse>
				<verse number="17">Хьан хиндолчунна бу сатийсам, — боху Везачу Эло. — Хьан бераш шайн махка юхадоьрзур ма ду.</verse>
				<verse number="18">Суна билггал хезна Эпрайман халкъ леткъаш: „Аьрха эса санна, со нисдина, Ахь со кара ма Ӏамийнера! ХӀинца со юхадерзадехьа, тӀаккха со Хьуна тӀе юхавоьрзур вара, хӀунда аьлча Хьо сан Веза Дела ву.</verse>
				<verse number="19">Хьох дӀадирзинчул тӀаьхьа, со дохко а даьлла. КараӀамийначул тӀаьхьа некха тӀе куьйгаш деттара ас, хӀунда аьлча юьхьӀаьржачу а хӀиттийна, со сийсаздинера, айса жимчохь летийна къинош бахьана долуш“.</verse>
				<verse number="20">Эпрайман халкъ Сан хьоме кӀант вац ткъа? Суна дукхадезаш долу бер дац ткъа иза? Иза кест-кестта Аса нисван везаш велахь а, массо а хенахь безамца дагавогӀу Суна иза. Сан кийра иза бахьана долуш карзахбуьйлуш бу, Аса цунах къинхетам а бийр бу», — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="21">ДӀахӀоттае хьайн некъан билгалонаш, некъ каро тӀулгаш хьайна охьадахка. Тидам бе хьо леллачу некъан, хьо дӀадуьгуш хиллачу тачанан. ЙоӀстаг санна долу Исраилан халкъ, юхадерза хьайн гӀаланашка.</verse>
				<verse number="22">Дукха лелар дуй хьо дӀасауьдуш, тешаме йоцу йоӀ санна долу халкъ? Везачу Эло дуьнен чохь керланиг кхуллу: зудчо шен майра кӀелхьарвоккхур ву.</verse>
				<verse number="23">Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Аса халкъан аьтто юхаметтахӀоттабича, ЯхӀуд-махкахь а, цуьнан гӀаланашкахь а хӀара дешнаш кхин цкъа эр ду: „Везачу Эло декъалбойла хьо, беза лам, нийсо шена тӀехь Ӏаш йолу меттиг“.</verse>
				<verse number="24">ЯхӀуд-махкахь кхин цхьаьна Ӏаш хир бу гӀаланийн нах а, ахархой а, жаш дажош болу жаӀуй а.</verse>
				<verse number="25">ХӀора кӀадвеллачу стеган Аса хьогалла йойур ю, ткъа хӀора гӀелвелларг Аса кхачанах вузор ву».</verse>
				<verse number="26">Со, сама а ваьлла, гонах дӀасахьаьжира: сайн гӀан чӀогӀа тайра суна.</verse>
				<verse number="27">«ТӀейогӀур ю зама, — боху Везачу Эло, — Аса Исраилан халкъан а, ЯхӀудан халкъан а мехкашна тӀехь, ахархочо ялта кхиош санна, адамаш а, дийнаташ а кхуьуьйтур йолу.</verse>
				<verse number="28">ДӀаяханчу хенахь Со хьожуш вара и халкъ орамашца дӀадаккхийта а, дохийта а, кагдайта а, хӀаллакдайта а, цунна тӀе бохамаш байта а. Иштта, хиндолчу хенахь хьоьжур ву Со уьш меттахӀиттадайта а, лаьтта тӀе дӀадогӀийта а, — боху Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="29">Цу хенахь адамаша бохур дац: „Дайша муьста кемсаш йоу, ткъа берийн цергаш леха“.</verse>
				<verse number="30">Амма хӀора стаг ша летийна долу къинош бахьана долуш лийр ву. Муьста кемсаш мел йиъначух лаьцна аьлча, ша-шен цергаш а лехар ю.</verse>
				<verse number="31">ТӀекхочуш ду денош, — боху Везачу Эло, — Аса Исраилан тӀаьхьенца а, ЯхӀудан тӀаьхьенца а керла барт бен долу.</verse>
				<verse number="32">Церан дай, куьг а лаьцна, Мисар-махкара арабохучу хенахь, Аса цаьрца бина барт санна хир бац иза, хӀунда аьлча цара и Сан барт бохийна, Со шайн олахо воллушехь, — боху Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="33">ХӀара денош дӀадевлча, иштта барт бийр бу Аса Исраилан тӀаьхьенца, — боху Везачу Эло. — Сан товрат-хьехам церан кортош чу буьллур бу, ткъа иза церан дегнаш тӀехь язбийр бу Аса. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду.</verse>
				<verse number="34">ХӀораммо а шен уллорачунна а, шен вешина а кхин Ӏамор дац: „Веза Эла вовза“, — бохуш, хӀунда аьлча массарна а, хьалдолчунна тӀера къечунна тӀекхаччалц, Со вевзар ву, — боху Везачу Эло. — Цаьргара даьллачу вочунна Ас гечдийр ду, церан къинош кхин дагадоуьйтур дац Аса».</verse>
				<verse number="35">Иштта боху Везачу Эло: «Аса малх дийнахь схьакхоьтуьйту, ткъа беттаса а, седарчий а буса схьакхоьтуьйту. ТулгӀенаш чӀогӀа гӀоьргӀуьйтуш, хӀорд карзахболуьйту Аса, Сан цӀе — массо а ницкъийн Веза Эла ю.</verse>
				<verse number="36">И дерриг а Суна хьалха кхочуш ца хуьлуш сецнехьара, — боху Везачу Эло, — Исраилан тӀаьхье гуттаренна а Сан халкъ хуьлучуьра дӀаер яра».</verse>
				<verse number="37">Везачу Эло иштта боху: «Лакхахь йолу стигалш юстур бен яцахьара, лахахь болу лаьттан бух толлур бен бацахьара, Аса Исраилан массо а тӀаьхье дӀатоттур яра цара мел лелийна хӀума бахьана долуш», — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="38">«ТӀейогӀуш ю Ярушалайм Сан дуьхьа юхаметтахӀоттон йолу зама, — боху Везачу Эло. — Ерриг а гӀала юхаметтахӀоттор ю Хьананиалан бӀаьвнна тӀера дуьйна Сонерчу кевнна тӀекхаччалц.</verse>
				<verse number="39">Дохалла дустаран тӀийраг Сонерачу кевнна тӀера ГӀарабан гуна тӀе а кхочий, ГуӀа-метте дӀайоьрзур ю.</verse>
				<verse number="40">Декъий дӀадухкуш йолу а, юкъ тӀекхуссуш йолу а тогӀи, иштта малхбалехь долчу Кхидрун-хина тӀе а, къилбаседехь долчу Говрийн кевнна тӀе а кхаччалц йолу аренаш а Везачу Элан еза меттигаш хилла дӀахӀуьттур ю. Ткъа Ярушалайм-гӀала цхьана а заманахь орамашца дӀаяьккхина я йохийна кхин хир яц».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="32">
				<verse number="1">Везачу Элера хӀара дош кхечира Ярми-ЯхӀуга яхӀудхойн паччахь ЦӀадукъ-ЯхӀу паччахьаллехь волчу уьтталгӀачу шарахь. Иза иштта Набухди-Нецар Бавелан паччахь волу берхӀитталгӀа шо а дара.</verse>
				<verse number="2">Цу заманахь бавелхойн паччахьан эскаро Ярушалаймана го бинера. Ярми-ЯхӀу-пайхамар яхӀудхойн паччахьан цӀахь йолчу гӀаролхойн кертахь чувоьллина вара.</verse>
				<verse number="3">Иза яхӀудхойн паччахь волчу ЦӀадукъ-ЯхӀус цу чу воьллина вара, хӀунда аьлча цо Ярми-ЯхӀу иштта бехкевира: «Ахь хӀунда бо иштта хаам: „Везачу Эло боху, Ша кестта Ярушалайм Бавелан паччахьан кара дӀалур ю, Набухди-Нецара иза дӀа а лоцур ю.</verse>
				<verse number="4">ЯхӀудхойн паччахь волу ЦӀадукъ-ЯхӀу хашадхойн карара вер вац. Иза Бавелан паччахьан кара дӀалур ву, цо цуьнца юьхь-дуьхьал къамел а дийр ду, цунна иза шен бӀаьргашца схьа а гур ву.</verse>
				<verse number="5">ЦӀадукъ-ЯхӀу цо Бавеле дӀавуьгур ву. Иза цигахь Ӏийр ву, Иза цигахь Ӏийр ву, Аса цунна дан леринарг кхочушдаллалц, — иштта боху Везачу Эло. — Нагахь аша хашадхошца тӀом бахь, шу царал тоьлур дац“».</verse>
				<verse number="6">Ярми-ЯхӀус элира: «Иштта дара Везачу Элера соьга хилла долу дош:</verse>
				<verse number="7">„Хьан ден вешин Шалуман кӀант Хьанамиал хьо волчу вогӀуш ву хьоьга дӀаала: ‘Соьгара Ӏанатот-гӀалахь долу сан кха хьайна дӀаэца — вайна юкъахь долу гергарло бахьана долуш иза эца хьан бакъо ю’“».</verse>
				<verse number="8">Сан ден вешин кӀанта Хьанамиала, Везачу Эло ма-аллара, со волчу а веана, элира: «Ӏанатот-гӀалина уллора, Бен-Яманан латтанаш долчуьра сан кха хьайна дӀаэца, хӀунда аьлча вайна юкъахь долу гергарло бахьана долуш хьан бакъо ю иза эца а, хьайн дола даккха а. Цундела и латта хьайна дӀаэца». ТӀаккха суна хиира соьга хилла хаам Везачу Элера буйла.</verse>
				<verse number="9">Аса Ӏанатот-гӀалара и кха сайн шича волчу Хьанамиалера ийцира, цунах вуьрхӀитта шекхал дети а делира.</verse>
				<verse number="10">Латта оьцуш яздечу кехатна кӀел куьг а яздина, иза мухӀарца чӀагӀ а дина, тешаш схьа а кхайкхина, терзанна тӀехь дети уьйзира.</verse>
				<verse number="11">Цул тӀаьхьа аса эцаран кехат схьаийцира — шена тӀехь барт а, тӀедожорш а яздина долу мухӀарца чӀагӀдина долу кехат а, иштта чӀагӀдаза долу кехат а.</verse>
				<verse number="12">Аса иза Махьси-ЯхӀун кӀентан Нери-ЯхӀун кӀанте Барухе дӀаделира, сайн ден вешин кӀантана Хьанамиалана а, цу кехат кӀел куьг яздина болчу тешашна а, гӀаролхойн кертахь охьахиъна Ӏаш мел болчу яхӀудхошна а хьалха.</verse>
				<verse number="13">Царна хьалха аса Барухана тӀедиллира:</verse>
				<verse number="14">«Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „ХӀара эцаран кехаташ — мухӀарца чӀагӀдина долу кехат а, иштта чӀагӀдаза долу кехат а — схьа а эций, кхийрачу кхаби чу дӀадилла, уьш заманан йохаллехь лардайта“.</verse>
				<verse number="15">Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „ЦӀенош а, кхаш а, кемсийн бошмаш а юха а хӀокху махкахь оьцуш хир ю“».</verse>
				<verse number="16">Латта оьцуш долу кехат Нери-ЯхӀун кӀанте Барухе дӀа а делла, Везачу Эле доӀа дира аса:</verse>
				<verse number="17">«Сан Хьалдолу Эла, Ахьа Хьайн боккхачу ницкъаца а, тӀекховдийначу куьйгаца стигалш а, латта а кхоьллина, Хьоьга далур доцуш цхьа а хӀума а дац.</verse>
				<verse number="18">Веза Эла, Ахьа эзарнашкахь болчарна Хьайн хедар боцу безам гойту, амма дайша летийна долу къинош бахьана долуш, церан берашна таӀзар до. Хьо сийлахь а, нуьцкъала а Дела ву, Шен цӀе массо а ницкъийн Веза Эла йолуш волу!</verse>
				<verse number="19">Хьан хьехамаш баккхий а бу, Хьан гӀуллакхаш нуьцкъала а ду. Хьан бӀаьргашна гуш ду адамаша мел деш дерг, Ахьа хӀоранна а цо диначуьнга хьаьжжина, цунна доггӀург дӀало.</verse>
				<verse number="20">Веза Эла, Ахьа инзаре гӀуллакхаш а, тамашийна билгалонаш а йина Мисар-махкахь, ткъа хӀара хан тӀекхаччалц изза деш ву Хьо Исраил-махкахь а, массо а адамаш долчу меттехь а. И хӀума бахьана долуш массанхьа а гӀараяьлла Хьан цӀе.</verse>
				<verse number="21">Тамашийна билгалонаш а, инзаре гӀуллакхаш а деш, нуьцкъалчу куьйгаца а, тӀекховдийначу пхьаьрсаца а, доккхачу къематаца а Хьайн Исраилан халкъ Мисар-махкара арадаьккхина Ахьа.</verse>
				<verse number="22">Ахьа царна хӀара латта а делла, церан дайшна лур ду аьлла Айхьа чӀагӀо йина долу. И токхе латта шуьрех а, мазах а дуьзна ду.</verse>
				<verse number="23">Цара, цу лаьтта тӀе а баьхкина, иза шайн дола даьккхина. Амма Ахьа бохучуьнга цара ла ца дугӀура, Хьан товрат-хьехамца уьш ца лелара. Ахьа шайна кхочушдан тӀе мел диллинарг цара кхочуш ца дора. И хӀума бахьана долуш Ахьа царна тӀе и массо а бохамаш баийтина.</verse>
				<verse number="24">Хьажахьа, мостагӀаша гӀалина гонах, латта хьала а тесна, гунаш дина, шайна иза схьаяккха атта хилийта. Туьро а, мацалло а, Ӏожаллин уьно а гӀалина тӀелеташ болчу хашадхойн кара дӀадолуьйтур ду цуьнан халкъ. Веза Эла, Ахьа аьлларг хуьлуш лаьтташ ду, иза Хьуна гуш а ду.</verse>
				<verse number="25">Ткъа Ахьа, сан Хьалдолу Эла, соьга элира: „Хьайна детих кха эца, и кха оьцучу хенахь тешаш а балабе“. Иза Ахьа соьга боху, хашадхойн эскар гӀала дӀалаца кечделлачу хенахь».</verse>
				<verse number="26">ТӀаккха Везачу Элан дош кхечира Ярми-ЯхӀуга:</verse>
				<verse number="27">«Ярми-ЯхӀу, Со — Веза Эла ву, массо а адамашна тӀехь Дела волу. Соьга далур доцуш цхьа хӀума дуй те?»</verse>
				<verse number="28">Цундела Везачу Эло иштта боху: «Ас кестта Ярушалайм хашадхойн а, Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран а кара дӀалур ю, цо иза дӀа а лоцур ю.</verse>
				<verse number="29">Цунна тӀелеташ болчу хашадхоша, гӀалина чу а баьхкина, гӀаланах цӀе а латийна, иза ягор ю. Шайн тхевнашна тӀехь БаӀална хаза хьожа йогӀу хӀума ягорна а, кхечу деланашна чагӀаран сагӀанаш дахарна а, наха Со оьгӀазвахийтина массо а цӀенош шаьш дагийна хир ду.</verse>
				<verse number="30">Исраилан а, ЯхӀудан а халкъаша, шаьш кегий долчу хенахь дуьйна, Суна вон хеташ долу гӀуллакхаш дина. Цу халкъаша Со оьгӀазвахийтина, шайн куьйгашца цара мел лелийнарг бахьана долуш, — боху Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="31">ХӀара гӀала йинчу хенахь дуьйна таханлера де тӀекхаччалц кхуьнан бахархоша Со оьгӀазвоьду хӀуманаш лелийна, цундела хӀара Сайн бӀаьргашна хьалхара дӀаяккха сацам бина Аса.</verse>
				<verse number="32">Ас иза дийр ду, Исраилан а, ЯхӀудан а халкъаша мел лелийна вонаш бахьана долуш. Цара а, церан паччахьаша а, баьччанаша а, динан дайша а, пайхамарша а, иштта ЯхӀудан халкъо а, Ярушалайман бахархоша а и массо а вон гӀуллакхаш леладора.</verse>
				<verse number="33">Шайн юьхьан метта цара Суна букъ берзийна. Со уьш юх-юха а Ӏамо гӀертахь а, цара Соьга ла а ца дугӀура, шаьш Соьга нийсачу новкъа а ца буьгуьйтура.</verse>
				<verse number="34">Сан цӀе лелош долчу цӀа чохь цара шайн дегаза цӀуш дӀахӀиттийна, и цӀа бех а деш.</verse>
				<verse number="35">Бен-ХӀинам-тогӀи чохь цара БаӀална лерина сагӀа доккху меттигаш кечйира, цигахь шайн кӀентий а, зудабераш а Мулка-харцдалла сагӀина дӀабалархьама. И хӀума Аса царна тӀе ца диллина, ткъа иза Суна дагадеана а дац. Иза бахьана долуш цара ЯхӀудан халкъе къа латадайтира».</verse>
				<verse number="36">«Ахьа а, хьоьца болчара а оцу гӀаланах лаьцна боху: „Туьро а, мацалло а, Ӏожаллин уьно а и гӀала Бавелан паччахьан кара дӀайолуьйтур ю“. Ткъа хӀинца ладогӀа, — боху Исраилан Везачу Дала, — оцу гӀаланах лаьцна Аса бохучуьнга.</verse>
				<verse number="37">Сайн оьгӀазаллица а, дераллица а, йоккхачу моханца а уьш дӀалаьхкина болчу массо а мехкашна юкъара Аса билггал юхадерзор ду Сайн халкъ. Аса уьш хӀокху метте юхаберзор бу, сашортехь Ӏайтархьама.</verse>
				<verse number="38">Уьш Сан халкъ хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву.</verse>
				<verse number="39">Церан дегнаш чу цхьана новкъахь леларан лаам лур бу Аса царна: массо а деношкахь Суна хьалха ларамах буьзна баха луур ду царна. Иза церан диканна а, церан тӀаьхьенан диканна а хир ду.</verse>
				<verse number="40">Аса цаьрца массо а тӀейогӀучу ханна барт бийр бу: царна диканиг дечуьра Со цкъа а соцур вац, Ас церан дегнаш чу Сайна болу кӀорга ларам а кхуллур бу, уьш кхин Сох дӀа ца къастийта.</verse>
				<verse number="41">Со царах сакъералуш хир ву, царна Айса дика дечу хенахь. Сайн даггара а, сайн синера а болчу лаамца Ас уьш хӀокху лаьтта тӀе чӀагӀбина баха охьаховшор бу».</verse>
				<verse number="42">Везачу Эло иштта боху: «Айса цу халкъана бохамаш бина хиларе терра, Айса лур ду аьлла дика мел дерг царна дийр ду Ас.</verse>
				<verse number="43">ХӀинца оцу махках наха иштта олу: „И мохк бассабелла бу, кху тӀехь я адамаш а, я хьайбанаш а дац, хӀунда аьлча иза хашадхойн кара дӀабелла бу“. Делахь а, хинйолчу хенахь оцу махкахь кхаш кхин а оьцур ду.</verse>
				<verse number="44">Адамаша детих латтанаш а оьцур ду, и латта оьцуш куьйгаш а теӀадеш, мухӀарца чӀагӀдина кехаташ а хир ду, и латта эцаран тешаш а хир бу. Иза Бен-Яман-махкахь а, Ярушалайман гонахарчу меттигашкахь а, ЯхӀуд-махкарчу гӀаланашкахь а, гунаш тӀехь а, малхбузехьа долчу акъари тӀехь а, иштта къилбехьа йолчу меттигашкахь а хир ду. Иза иштта хир ду, хӀунда аьлча Ас оцу халкъан аьтто юхаметтахӀоттор бу», — боху Везачу Эло.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="33">
				<verse number="1">Везачу Элера шолгӀа а хаам кхечира Ярми-ЯхӀуга, иза хӀинца а гӀаролхойн кертахь набахти чохь воллучу хенахь.</verse>
				<verse number="2">«Иштта боху Везачу Эло, латта кхоьллина а, цунна куц делла а, иза чӀагӀдина а Волчо, Шен цӀе Веза Эла Йолчо:</verse>
				<verse number="3">„Орца даккха Соьга, ткъа Ас жоп лур ду хьуна. Ас даккхий а, дӀахьулдина а хӀуманаш дӀакхайкхор ду хьуна, хьалха хьуна хиъна доцу.</verse>
				<verse number="4">Исраилан халкъан Везачу Дала хӀара боху Ярушалаймехь долчу цӀенойх а, иштта ЯхӀуд-махкарчу паччахьийн цӀенойх а лаьцна: гӀала схьалацархьама мостагӀаша динчу лаьттан гунех а, иштта мостагӀчун туьрах а лардеш дохадора и цӀенош.</verse>
				<verse number="5">Цхьаболчара хашадхошца тӀом бийр бу, ткъа мостагӀаша гӀалин цӀенош дузур ду Сайн оьгӀазаллица а, дераллица а Айса мел байинчеран декъех, хӀунда аьлча бахархоша лелийна вонаш бахьана долуш Аса Сайн юьхь гӀаланах къайлаяьккхинера.</verse>
				<verse number="6">Делахь а, Ас гӀалина дарба а, лоралла а дийр ду. Цуьнан халкъ Ас, то а дина, цунна машар а, сашорте а йовзуьйтур ю.</verse>
				<verse number="7">Ас Исраилан халкъан а, ЯхӀудан халкъан а аьтто юхаметтахӀоттор бу, ткъа Аса уьш, хьалха санна, чӀагӀдийр ду.</verse>
				<verse number="8">Суна дуьхьал цара мел летийначу къинойх Аса цӀандийр ду уьш, ткъа Сайна дуьхьалбовларца цара мел лелийнарг Аса царна гечдийр ду.</verse>
				<verse number="9">Ярушалайм-гӀалано дуьненан массо а къаьмнашна хьалха Суна гӀарадаккхар а, хазахетар а, хастам а, сий а доккхур ду, Айса цунна мел дина дика царна хезча. Ларамах а буьзна, уьш бегош хир бу, Аса цунна ден долу дика а, аьтто а шайна дӀагича“».</verse>
				<verse number="10">Иштта боху Везачу Эло: «Оцу меттигах лаьцна аша боху: „Иза яссийна ю, кхузахь я адамаш а, я дийнаташ а дац“. Бакъду, ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь а, Ярушалайман урамашкахь а я адамаш а, я бахархой а, я дийнаташ а дац. Делахь а, оцу меттигашкахь кхин а хезаш хир ду</verse>
				<verse number="11">синкъераман а, хазахетаран а аьзнаш, зуда ялош волчун а, маре йоьдучун а аьзнаш. Иштта хезаш хир ду баркаллин сагӀанаш Сан деза цӀа долчу дахьачеран аьзнаш а. Цара эр ду: „Баркалла ала массо а ницкъийн Везачу Элана, Иза дика хиларна. Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу“. Иза иштта хир ду, хӀунда аьлча Ас хӀокху мехкан аьтто, хьалха санна, юхаметтахӀоттор бу», — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="12">Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Адамаш а, дийнаташ а доцучу хӀокху бассийначу махкахь а, оцу мехкан массо а гӀаланашкахь а юха а дежийлаш хир ю, жаӀушка шайн жашка цигахь садаӀийтархьама.</verse>
				<verse number="13">Лаьмнашкахь а, малхбузерачу акъарехь а, къилберачу махкахь а йолчу гӀаланашкахь а, Бен-Яман-махкахь а, Ярушалаймана гонах йолчу ярташкахь а, ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь а кхин цкъа шаьш дагардеш болчеран куьйга кӀел жаш догӀур ду», — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="14">«ТӀекхочур ду, — боху Везачу Эло, — Ас Исраилан халкъана а, ЯхӀудан халкъана а дина дика ваӀда кхочушден денош.</verse>
				<verse number="15">Цу деношкахь а, цу заманахь а Аса Даудан тӀаьхьенах Сайн лаамехь йолу цхьа зӀийдаг кхиор ю. Цо хӀокху лаьтта тӀехь нийсо а, бакъдерг а лелор ду.</verse>
				<verse number="16">Оцу деношкахь ЯхӀудан халкъ паргӀат хир ду, ткъа Ярушалайман бахархой сашортехь Ӏийр бу. ГӀалин цӀе иштта тиллина хир ю: „Тхуна нийсо лелош волу Веза Эла“».</verse>
				<verse number="17">Везачу Эло иштта боху: «Даим Даудан тӀаьхьенах хир волчу цхьаццаммо паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тӀехь.</verse>
				<verse number="18">Иштта даим левихой болчу динан дайх цхьаццаммо Суна уллохь гӀуллакх дийр ду, юх-юха дийнаташ дагоран а, кӀен а, кхин тайпана а долу сагӀанаш а дохуш».</verse>
				<verse number="19">Ярми-ЯхӀуга Везачу Элан дош кхечира:</verse>
				<verse number="20">«Везачу Эло иштта боху: „Дийнаца а, буьйсанца а Аса бина барт шуьга бохалур белахьара, уьш шайн хеннахь тӀе ца кхочуьйтуш,</verse>
				<verse number="21">тӀаккха Сан ялхо волчу Даудаца бина барт бохалур бара, цуьнан тӀаьхьенах кхин цхьа а паччахь ца хуьлуьйтуш, иштта левихошца Аса бина барт а бохалур бара, шайна юкъара Суна гӀуллакх деш болу динан дай ца хуьлуьйтуш.</verse>
				<verse number="22">Стигалахь долу седарчий санна, хӀордан берда тӀехь йолу гӀум санна, ягар ца яллал дукха тӀаьхье лур ю Ас Сан ялхо волчу Даудана а, Суна гӀуллакх деш болчу левихошна а“».</verse>
				<verse number="23">Везачу Элан дош кхечира Ярми-ЯхӀуга:</verse>
				<verse number="24">«Оцу наха дуьйцучун тидам биний ахь? Цара олу: „Ша хаьржина долу ши халкъ Везачу Эло Шена уллора дӀатеттина“. Сан халкъ царна дола хета, хӀинца иза Сан къам кхин ца хета царна.</verse>
				<verse number="25">Амма Веза Эла волчу Аса боху: нагахь дийнаца а, буьйсанца а Айса бина барт а, иштта стигалах а, лаьттах а долу весеташ а Айса чӀагӀ ца динехьара,</verse>
				<verse number="26">тӀаккха Аса Якъубан а, Сан ялхо волчу Даудан а тӀаьхье дӀатоттур яра, иштта ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а тӀаьхьенашна тӀехь паччахьалла дан Даудан тӀаьхьенах цхьаъ хоржур вацара. Делахь а, Сан къоман аьтто Аса юхаметтахӀоттор бу, царах къинхетам а бийр бу».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="34">
				<verse number="1">Везачу Элера хаам кхечира Ярми-ЯхӀуга, Бавелан паччахь волу Набухди-Нецар а, цуьнан мел долу эскар а, цуьнан куьйга кӀел йолу массо а пачхьалкхаш а, дерриг а къаьмнаш а Ярушалаймана а, цунна гонах йолчу ярташна а дуьхьал тӀом беш долчу хенахь:</verse>
				<verse number="2">«Иштта боху Исраилан Везачу Дала: „Ваха а гӀой, яхӀудхойн паччахь волчу ЦӀадукъ-ЯхӀуга дӀаала, иштта боху Везачу Эло: ‘Ас кестта Ярушалайм Бавелан паччахьан кара дӀалур ю, тӀаккха цо иза цӀарца ягор ю.</verse>
				<verse number="3">Хьо а вер вац цуьнан куьйга кӀелара. Схьа а лаьцна, хьо а цуьнан кара дӀалур ву, хьан бӀаьргашца Бавелан паччахь гур ву хьуна, юьхь-дуьхьал цуьнца къамел дийр ду ахь. ТӀаккха хьо Бавеле дӀавуьгур ву’.</verse>
				<verse number="4">Делахь а, ладогӀа Везачу Эло бохучуьнга, яхӀудхойн паччахь ЦӀадукъ-ЯхӀу! Везачу Эло хьох лаьцна иштта боху: ‘Хьо туьро вуьйр вац.</verse>
				<verse number="5">Хьо маьрша лийр ву. Хьол хьалха паччахьаллехь хилла болу хьайн дайн сийнна хаза хьожа йогӀу хӀуманаш ягош ма-хиллара, дӀавуллучу хенахь хьан сийнна а изза дийр ду, ткъа хьуна тийжаш хир бу, ‹Маржа-яӀ, тхан паччахь!› бохуш. Цу тӀехь Ас дош ло хьуна’“», — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="6">Ярми-ЯхӀус и хаам Ярушалаймехь волчу ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахье дӀаэлира.</verse>
				<verse number="7">Цу хенахь Бавелан паччахьан эскар Ярушалаймца а, ЯхӀуд-махкахь массо а схьалацаза йисинчу гӀаланашца а тӀом беш дара. ЯхӀуд-махкара чӀагӀйинчу гӀаланашна юкъахь схьалацаза Лахиш-гӀала а, Ӏазекхи-гӀала а бен ца йисинера.</verse>
				<verse number="8">Ярми-ЯхӀуга Везачу Элера хаам кхечира, ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахьо Ярушалайман массо а бахархошца, шайн леш паргӀатбохур бу аьлла, барт бинчул тӀаьхьа.</verse>
				<verse number="9">Массара а Ӏебархой болу божарех а, зударех а болу леш паргӀатбаха безаш бара. Цхьаннен а шайн къомах болу а, ЯхӀудан тайпанах болу а леш шайгахь сецо бакъо яцара.</verse>
				<verse number="10">Массо а баьччанаша а, дерриг а халкъо а шайгахь болу божарий-леш а, иштта зударий-леш а паргӀатбаха а, уьш кхин йийсарехь шайгахь латтор боцу а барт тӀеэцнера. И барт а бина, массара а шайн леш дӀахецнера.</verse>
				<verse number="11">Амма, ойла а йина, шаьш паргӀатбаьхна болу леш юхабало хӀиттинера уьш. Цара хьалха шайн леш хилла болу божарий а, зударий а юха а леш бина дӀахӀиттийнера.</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха Везачу Элера хаам кхечира Ярми-ЯхӀуга:</verse>
				<verse number="13">«Исраилан халкъан Везачу Дала иштта боху: „Шу Мисар-махкара лоллехь долчуьра арадаьхначу дийнахь Ас шун дайшца барт бира. Аса цаьрга аьллера:</verse>
				<verse number="14">‘ХӀора ворхӀалгӀа шо дӀа мосазза долу, шуна ша воьхкина волу шайн къомах волу Ӏебархо дӀахеца веза аша. Цуьнга шайна ялх шарахь болх байта, тӀаккха иза мукъаваккха’. Амма цара Соьга ла ца дуьйгӀира, цара Со тидаме а ца ийцира.</verse>
				<verse number="15">Аша хӀинцца, дохко а девлла, Суна нийса хеташ дерг леладора: аша хӀорраммо а шайн къомах волу лай паргӀатвер ву элира. Сан цӀе лелош долчу цӀийнан кертахь, Суна хьалха и хӀума кхочушдан аша барт а бира.</verse>
				<verse number="16">Амма хӀинца шайн дегнаш юха хийцира аша, Сан цӀе сийсаз а йоккхуш. Аша шайна луъучу дӀабаха паргӀатбаьхна болу божарех а, зударех а болу леш шайна юхабалийра, уьш юха а шайна муьтӀахь а бина“.</verse>
				<verse number="17">Цундела Везачу Эло боху: „Аша Соьга ла ца дуьйгӀира, шайн къомах болчарна паргӀато а луш. Цундела Аса паргӀато лур ю туьрана а, Ӏожаллин уьнна а, мацаллина а, — боху Везачу Эло, — шу дайъийтархьама. Аса шуна дечунна дуьненан массо а пачхьалкхаш Ӏадийна лаьттар ю.</verse>
				<verse number="18">Суна хьалха бина барт а бохийна, бертан тӀедожораш кхочуш ца диначаьрца Со иштта хир ву: барт чӀагӀбеш хадийна долчу а, шина эханна юккъехула шаьш девлла долчу а эсана диннарг царна а дийр ду Аса.</verse>
				<verse number="19">Цу эсанан шина эханна юккъехула бевлла болу ЯхӀуд-махкара а, Ярушалаймера а баьччанаш а, паччахьан кертара ялхой а, динан дай а, иштта дерриг халкъ а</verse>
				<verse number="20">уьш байа гӀерташ болчу церан мостагӀашка Аса дӀалур бу. Церан декъий стигаларчу олхазарийн а, лаьттарчу акхаройн а даар хилла дӀахӀуьттур ду.</verse>
				<verse number="21">Аса яхӀудхойн паччахь волу ЦӀадукъ-ЯхӀу а, цуьнан баьччанаш а уьш байа гӀерташ болчу церан мостагӀийн кара дӀалур бу. Аса уьш Бавелан паччахьан эскаран кара дӀалур бу, и эскар хӀинца шуьца тӀом беш долчуьра юхадаьллехь а.</verse>
				<verse number="22">Ас омра дийр ду, — боху Везачу Эло, — уьш и гӀала йолчу юхабахкийта. Цара, тӀе а летта, иза схьа а йоккхур ю, цӀарца ягор а ю. ЯхӀуд-махкара гӀаланаш Аса яссор ю, цигахь цхьа а адам а хир дац дехаш“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="35">
				<verse number="1">ЯхӀудхойн паччахь волчу ЯхӀу Юши-ЯхӀун кӀант ЯхӀу-Якхам паччахьалла дечу хенахь Ярми-ЯхӀуга Везачу Элера хӀара хаам беара:</verse>
				<verse number="2">«Рахбихой болчу а гӀой, цаьрга вист а хилий, уьш Везачу Элан цӀийнан кертахь долчу цхьана чоьнна чу кхайкха, царна чагӀар а ло».</verse>
				<verse number="3">Аса, Хьабацин-ЯхӀун кӀант волчу Ярми-ЯхӀун кӀант Яъзан-ЯхӀу сайца схьа а эцна, цуьнан массо а вежарий а, кӀентий а — дерриг а рахбихойн тукхам —</verse>
				<verse number="4">Везачу Элан цӀа долчу далийра. Йигдал-ЯхӀун кӀант волчу а, Делан стаг волчу а Хьанан-пайхамаран мурдийн цӀа чу балийра ас уьш. И чоь ЯхӀуд-мехкан элий соцуш йолчу чоьнна уллохь а, иштта кевнан гӀаролхо волчу Шалуман кӀант МаӀсей-ЯхӀун чоьнна тӀехула а яра.</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха Аса, рахбихойн доьзална хьалха кедаш а, чагӀарх юьзна йолу масех кхаба дӀа а хӀоттийна, элира: «Мала чагӀар».</verse>
				<verse number="6">Амма цара элира: «Оха чагӀар ца молу, хӀунда аьлча Рахбин кӀант а, тхан дайн да а волчу ЯхӀу-Надаба тхуна тӀедиллина: „ЧагӀар ма малалаш цкъа а, я аша а, я шун бераша а.</verse>
				<verse number="7">ЦӀенош а ма де, хӀу дӀа а ма де, кемсийн бошмаш а ма кхиае, уьш шайн долахь а ма хилийта, ткъа шаьш даим четарш чохь Ӏе. ТӀаккха дехха дахалур ду шу шаьш арадевлла лелачу лаьтта тӀехь“, — аьлла.</verse>
				<verse number="8">Оха ладуьйгӀира тхан да а, Рахбин кӀант а волчу ЯхӀу-Надаба бохучуьнга. Оха а, тхан зударша а, тхан кӀенташа а, йоӀарша а цкъа а чагӀар ца молу.</verse>
				<verse number="9">Оха иштта тхайна чохь Ӏан цӀенош а ца до, тхан кемсийн бошмаш а яц, я кхаш а, я цу тӀехь йолуш хӀума а яц тхан.</verse>
				<verse number="10">Тхо хӀинццалц а четарш чохь дехаш ду. Иштта, массо а хӀуманна тӀехь тхан да волчу ЯхӀу-Надаба тӀедиллинарг кхочушдина оха.</verse>
				<verse number="11">Делахь а, Бавелан паччахь волу Набухди-Нецар кху лаьтта тӀе гӀоьртича, оха элира: „Дуьйло, Ярушалайме дӀагӀо вай, хашадхойн а, арамхойн а эскарх кӀелхьардовлархьама“. Цундела тхо Ярушалаймехь дехаш ду».</verse>
				<verse number="12">Цул тӀаьхьа Ярми-ЯхӀуга хаам кхечира Везачу Элера:</verse>
				<verse number="13">«Иштта боху Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло: „Ваха а гӀой, Соьгара хаам ЯхӀуд-махкарчу халкъана а, Ярушалайман бахархошна а дӀабовзийта: ‘Аса бохучуьнга муха ладогӀа деза хӀокху масалх Ӏама шуна ца лаьа те? — боху Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="14">Рахбин кӀанта ЯхӀу-Надаба шен тӀаьхьенна, чагӀар ма мала аьлла, тӀедиллинарг кхочушхуьлуш схьадогӀуш ду. Уьш таханлера де тӀекхаччалц чагӀар ца молуш схьабогӀуш бу, шайн ден весет кхочуш а деш. Ткъа Со юх-юха а шуьга дуьйцуш Ӏаш ву, амма аша Соьга ла ца дугӀу.</verse>
				<verse number="15">Аса шу долчу юх-юха а массо а Сайн ялхой болу пайхамарш бохуьйтура дӀаала: ‹ДӀадовла шайн вочу некъаш тӀера, сацаде шаьш лелош долу хӀуманаш, дӀадовла кхечу деланашна тӀаьхьара, царна Ӏамал а еш. Аша Аса бохург дахь, Ас шуна а, шун дайшна а деллачу хӀокху лаьтта тӀехь дехар ду шу›. Амма аша Ас шайга бохучуьнга ла ца дугӀура.</verse>
				<verse number="16">Рахбин кӀентан ЯхӀу-Надабан тӀаьхьено шайн дас шайга дина весет кхочушдо, ткъа хӀокху къомо Соьга ла ца доьгӀна’.</verse>
				<verse number="17">Цундела Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Дала боху: ‘ЯхӀудан халкъана а, Ярушалаймехь болчу массо а бахархошна а Айса бийр бу аьлла мел болу бохамаш бийр бу, хӀунда аьлча цара Ас шайга мел баьхначуьнга ла ца доьгӀна, Ас шайга кхайкхича, цара Суна жоп ца делла’“».</verse>
				<verse number="18">Ткъа рахбихошка Ярми-ЯхӀус элира: «Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Шайн да волчу ЯхӀу-Надабе аша ладугӀура, цо мел дина весет аша кхочуш а дора, иштта массо а хӀуманна тӀехь цо ма-аллара шу лелара.</verse>
				<verse number="19">И хӀума бахьана долуш, — боху Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло, — Рахбин кӀант волчу ЯхӀу-Надабан тӀаьхьенах гуттаренна а Суна гӀуллакх деш волу, милла хилла а, цхьаъ хир ву“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="36">
				<verse number="1">ЯхӀудхойн паччахь волчу Юши-ЯхӀун кӀанта ЯхӀу-Якхама олалла до доьалгӀа шо долуш, Ярми-ЯхӀуга Везачу Элера иштта хаам кхечира:</verse>
				<verse number="2">«Хьарчийна тептар схьа а эций, Исраилан къомах а, ЯхӀудан къомах а, массо а кхечу къаьмнех а лаьцна Аса хьоьга мел дийцинарг дӀаязде. Юши-ЯхӀу паччахьаллехь волуш Со хьоьга дуьххьара вистхиллачу хенахь дуьйна хӀара де тӀекхаччалц Аса хьайга бина хаамаш дӀаязбе.</verse>
				<verse number="3">ЯхӀудан къомана дӀахаза а мега, Ас царна мел бан леринчу бохамах лаьцна, тӀаккха шаьш лелош долчу вочу некъаш тӀера дӀабовла а тарлора уьш. Иза иштта хилча, Ас церан массо а къиношна а, зуламашна а гечдийр дара».</verse>
				<verse number="4">ТӀаккха Ярми-ЯхӀус Нери-ЯхӀун кӀант Барух схьакхайкхира. Везачу Эло шега мел аьлла дешнаш Ярми-ЯхӀус дӀа а олуш, Баруха уьш хьарчийначу тептар тӀе дӀаяздора.</verse>
				<verse number="5">Цул тӀаьхьа Ярми-ЯхӀус элира Барухе: «Со Везачу Элан цӀийнан керта ваха йиш йолуш вац: цу чу вахар суна дихкина ду.</verse>
				<verse number="6">Цундела наха марха кхобучу дийнахь Везачу Элан цӀа долчу гӀо, ас дӀадуьйцучу хенахь айхьа дӀаяздина Везачу Элан дешнаш гулбеллачарна дӀа а деша. Уьш ахьа дӀадеша деза шайн гӀаланашкара Ярушалайме схьагулбеллачу массо а яхӀудхошна.</verse>
				<verse number="7">Цара Везачу Эле шайн дехарш дан ма мега, уьш шайн вочу новкъах дӀабовла ма мега, хӀунда аьлча Везачу Эло оцу къомана дӀакхайкхийна оьгӀазалла а, дералла а чӀогӀа йоккха ю».</verse>
				<verse number="8">Нери-ЯхӀун кӀанта Баруха дерриг а шега Ярми-ЯхӀу-пайхамаро ма-аллара дира. Цо Везачу Элан цӀийнан кертахь тептар тӀехь дӀаяздина долу Везачу Элан дешнаш аз айина дӀадийшира.</verse>
				<verse number="9">ЯхӀудхойн паччахь волу Юши-ЯхӀун кӀант ЯхӀу-Якхам паччахьаллехь волчу пхоьалгӀачу шеран уьссалгӀачу баттахь Ярушалайман бахархошка а, иштта ЯхӀуд-махкарчу гӀаланашкара Ярушалайм-гӀала даьхкинчу массо а адамашка а Везачу Элан хьалха марха кхаба дӀакхайкхийра.</verse>
				<verse number="10">Цу хенахь Баруха, гулбеллачу массо а нахана а хезаш, Везачу Элан цӀа долчохь хьарчийначу тептар тӀера Ярми-ЯхӀун дешнаш дӀадийшира. Йозанча волчу Шапанин кӀентан Гамар-ЯхӀун цӀа чуьра и тептар дӀадоьшуш вара Барух. Цуьнан цӀа лакхарчу кертахь, Везачу Элан цӀийнан керлачу кевнна уллохь дара.</verse>
				<verse number="11">Тептар тӀера дӀадоьшуш долу Везачу Элан массо а дешнаш хезаш вара Шапанин кӀентан Гамар-ЯхӀун кӀант Мика-ЯхӀу.</verse>
				<verse number="12">Иза паччахьан гӀалина чохь долчу йозанчин цӀа чу велира. Цигахь мехкан массо а баьччанаш бара Ӏаш: паччахьан йозанча волу Эли-ШамаӀ а, ШамӀа-ЯхӀун кӀант Дали-ЯхӀу а, Ӏахбаран кӀант Эли-Ната а, Шапанин кӀант Гамар-ЯхӀу а, Хьанан-ЯхӀун кӀант ЦӀадукъ-ЯхӀу а, иштта кхиболу мехкан баьччанаш а.</verse>
				<verse number="13">Нахана хьалха тептар тӀера Баруха дӀадоьшуш шена хезна массо а дешнаш Мика-ЯхӀус мехкан баьччанашна дӀадийцира.</verse>
				<verse number="14">ТӀаккха мехкан баьччанаша Барух волчу Хушин кӀант волчу Шалам-ЯхӀун кӀентан Натан-ЯхӀун кӀант ЯхӀуди вахийтира цуьнга иштта вистхила: «Халкъана хьалха дӀадешна долу тептар схьа а эций, соьца схьавола», — аьлла. Нери-ЯхӀун кӀант Барух, и тептар схьа а эцна, уьш болчу схьавеара.</verse>
				<verse number="15">Цара цуьнга, охьа а хаий, шайна хозуьйтуш и тептар дӀадеша элира. Баруха иза дӀадийшира.</verse>
				<verse number="16">Цу тӀехь дерг шайна хезча, баьччанаша, кхерамца вовшашка а хьаьвсина, Барухе элира: «И дерриг а паччахье дӀадийца деза оха».</verse>
				<verse number="17">Цара Барухе хаьттира: «Дийцал, муха дӀаяздина ахьа и дешнаш? Ярми-ЯхӀус ма-аллара, яздиний ахьа уьш?»</verse>
				<verse number="18">Баруха цаьрга элира: «Цо шен багахула хӀара дешнаш схьааьлча, аса уьш шекъанца хӀокху хьарчийначу тептар тӀе дӀаяздина».</verse>
				<verse number="19">ТӀаккха баьччанаша Барухе элира: «Хьо Ярми-ЯхӀуца цхьаьна дӀалачкъа веза, цхьаьнгге а шаьшшиъ мичахь ву дӀа а ца хоуьйтуш».</verse>
				<verse number="20">И тептар паччахьан йозанча волчу Эли-ШамаӀан чохь а дитина, кертахь волчу паччахьна тӀе бахара баьччанаш. Цара и массо а хӀума паччахье дӀадийцира.</verse>
				<verse number="21">Паччахьо ЯхӀуди вахийтира, и тептар схьада аьлла. Паччахьан йозанча волчу Эли-ШамаӀера и тептар схьа а эцна, ЯхӀудис иза схьадеара. Цо, паччахьна а, цунна уллохь лаьтташ болчу массо а баьччанашна а хозуьйтуш, иза дӀадийшира.</verse>
				<verse number="22">И шадерг а шеран уьссалгӀачу баттахь дара, цундела паччахь ша Ӏа доккхуш хуьлучу цӀа чохь вара. Иза, шена хьалха кхерчахь йогуш цӀе а йолуш, Ӏаш вара.</verse>
				<verse number="23">ЯхӀудис хьарчийначу тептар тӀехь яздинчух кхо-биъ бӀогӀам дӀа мосазза боьшу а, паччахьо цо дӀадешнарг, жимачу уьрсаца схьа а хададой, цӀерга кхуссура. Цо иштта дира, и дерриг а тептар цӀергахь дагийна дӀадаллалц.</verse>
				<verse number="24">Я паччахь а, я цуьнан берриг ялхой а, цу тептар тӀера дешнаш шайна хезча, кхера а ца белира, цара шайна тӀера бедарш а ца этӀийра.</verse>
				<verse number="25">Эли-Натас а, Дали-ЯхӀус а, Гамар-ЯхӀус а дехарш динехь а, паччахье и тептар ма дагаде бохуш, амма цо цаьрга ла ца дуьйгӀира.</verse>
				<verse number="26">Паччахьо шен кӀанте Ярахьмиале а, Ӏазриалан кӀанте Сари-ЯхӀуга а, Ӏабдиалан кӀанте Шалам-ЯхӀуга а омра дира, йозанча волу Барух а, Ярми-ЯхӀу-пайхамар а схьалаца аьлла, амма Везачу Эло и шиъ къайлаваьккхинера.</verse>
				<verse number="27">ЯхӀу-Якхам-паччахьо Ярми-ЯхӀун багара схьадаьлла а, Баруха дӀаяздина а дешнаш тӀехь долу тептар дагийначул тӀаьхьа, Везачу Элан дош кхечира Ярми-ЯхӀуга:</verse>
				<verse number="28">«Хьарчийна керла тептар схьа а эций, цу тӀе яхӀудхойн паччахьо ЯхӀу-Якхама дагийначу тептар тӀехь хилла долу дешнаш дӀаязде.</verse>
				<verse number="29">ЯхӀудхойн паччахь волчу ЯхӀу-Якхаме дӀаала: „Иштта боху Везачу Эло: ахьа хӀара тептар дагийна: ‘ХӀунда яздина ахьа кху тӀе Бавелан паччахь схьа а веана, цо хӀара латта хӀаллакдийр ду, цу тӀехь мел долу адамаш а, хьайбанаш а дойуш?’ — аьлла.</verse>
				<verse number="30">Цундела иштта боху Везачу Эло ЯхӀу-Якхамах лаьцна: ‘Цуьнан тӀаьхьенах цхьаммо а, Даудан тӀаьхьенах волчо санна, паччахьалла дийр дац. Цуьнан дакъа дийнахь хуьлучу йовхоне а, буьйсанна хуьлучу шелоне а охьакхуссур ду.</verse>
				<verse number="31">Ас таӀзар дийр ду ЯхӀу-Якхамна а, цуьнан тӀаьхьенна а, иштта цуьнан ялхошна а цара лелийна харцо бахьана долуш. Ас царна а, Ярушалаймерчу бахархошна а, иштта ЯхӀуд-махкарчу нахана а Айса мел бийр бу аьлла болу бохамаш бийр бу’“».</verse>
				<verse number="32">Ярми-ЯхӀус, хьарчийна тептар схьа а эцна, йозанча волчу Нери-ЯхӀун кӀанте Барухе дӀаделира. Цул тӀаьхьа яхӀудхойн паччахь волчу ЯхӀу-Якхама дагийначу тептар тӀехь мел хилла дешнаш Ярми-ЯхӀус дӀа а олуш, Баруха уьш керлачу тептар тӀе дӀаяздира. Цу дешнаш тӀе цу тайпана кхин а дуккха а кхидолу дешнаш а дара дӀаяздина.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="37">
				<verse number="1">Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара, ЯхӀу-Якхаман кӀентан ЯхӀу-Яхинан метта, ЯхӀуд-махкахь паччахьалла дан Юши-ЯхӀун кӀант ЦӀадукъ-ЯхӀу охьахаийра.</verse>
				<verse number="2">Я ЦӀадукъ-ЯхӀус а, я цуьнан ялхоша а, я цу пачхьалкхехь болчу наха а ла ца дугӀура пайхамар волчу Ярми-ЯхӀугахула Везачу Эло аьллачуьнга.</verse>
				<verse number="3">ЦӀадукъ-ЯхӀус Шалам-ЯхӀун кӀант ЯхӀукал а, МаӀсей-ЯхӀун кӀант динан да волу Цапни-ЯхӀу а вахийтира Ярми-ЯхӀу-пайхамар волчу дӀаала: «Тхуна тӀера доӀа дехьа вайн Везачу Деле».</verse>
				<verse number="4">Ярми-ЯхӀу хӀинца а набахти чу воьллина вацара, цундела иза шена луъучу метте ваха йиш йолуш вара.</verse>
				<verse number="5">Эццахь пирӀунан эскар Мисар-махкара арадаьлла хилла, ткъа Ярушалайм дӀалацархьама го бина лаьтташ долу хашадхойн эскар, и хӀума шайна дӀахезча, Ярушалаймана уллора юхаделира.</verse>
				<verse number="6">ТӀаккха Везачу Элера хаам кхечира Ярми-ЯхӀу-пайхамаре:</verse>
				<verse number="7">«Иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: Соьга хаттарш дан хьо Суна тӀе ваийтинчу ЯхӀуд-мехкан паччахье иштта дӀаала: „Хьуна гӀоьнна арадаьлла долу пирӀунан эскар Мисар-махка юхадоьрзур ду.</verse>
				<verse number="8">Ткъа хашадхой, Ярушалайме юха а бирзина, хӀокху гӀалина дуьхьал кхин цкъа а тӀом беш дӀахӀуьттур бу. Схьа а яьккхина, иза цӀергахь ягор ю цара“.</verse>
				<verse number="9">Иштта боху Везачу Эло: „Шаьш-шайга Ӏеха ма лолаш, хашадхой шаьш долчуьра дӀагӀур бу бохуш, хӀунда аьлча уьш дӀагӀур бац.</verse>
				<verse number="10">Аша шайна дуьхьал тӀом беш долу хашадхойн эскар дерриг а хӀаллакдахь а, царах чевнаш хилла тӀемалой бен шайн четаршкахь бисина ца хилахь а, цара, хьала а гӀевттина, шайн четаршна чуьра ара а бевлла, хӀара гӀала цӀарца ягор яра“».</verse>
				<verse number="11">ПирӀунан эскар схьагӀортарна, хашадхойн эскар Ярушалаймана уллора дӀадаьллачул тӀаьхьа,</verse>
				<verse number="12">Ярми-ЯхӀу Ярушалаймера Бен-Яман-махка дӀаваха хӀоьттира, цигахь доьзалан лаьттан шен декъан дола дархьама.</verse>
				<verse number="13">Амма иза Бен-Яманан кевне кхаьчча, цигарчу гӀаролхойн хьаькамо Хьанан-ЯхӀун кӀентан Шалам-ЯхӀун кӀанта Йираъ-ЯхӀус Ярми-ЯхӀу-пайхамар сацийра: «Хьо хашадхошкахьа вала воллуш ма ву!» — аьлла.</verse>
				<verse number="14">Ярми-ЯхӀус цуьнга элира: «Иза бакъ дац. Со хашадхошкахьа вала воллуш вац». Амма цо цуьнга ла ца дуьйгӀира. Йираъ-ЯхӀус иза, дӀа а лаьцна, баьччанаш болчу дӀавигира.</verse>
				<verse number="15">Ярми-ЯхӀуна оьгӀазбаханчу баьччанаша, цунна етта а йиттина, йозанча волчу ЯхӀунатин цӀа чу воьллира, хӀунда аьлча цу цӀийнах цара набахти йинера.</verse>
				<verse number="16">Ярми-ЯхӀу цу цӀийнан уггар бухарчу чоьнна чу воьллира, цу чохь дуккха хан а яьккхира цо.</verse>
				<verse number="17">Цул тӀаьхьа ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахьо, цунна тӀаьхьа нах а бахийтина, иза схьавалавайтира. Шен паччахьан цӀахь паччахьо цуьнга къайлаха хаттар дира: «Везачу Элера хаам хиллий?» Ярми-ЯхӀус жоп делира: «Хилла. Хьо Бавелан паччахьан кара дӀалур ву», — аьлла.</verse>
				<verse number="18">Ярми-ЯхӀус ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахье элира: «Стенна бехке ву со хьуна а, хьан баьччанашна а, хӀокху халкъана а хьалха, аша набахти чу воллал?</verse>
				<verse number="19">Мичахь бу шуьга: „Бавелан паччахь хьуна а, хӀокху махкана а тӀелетар вац“, — бохуш, хаамаш бина болу шун пайхамарш?</verse>
				<verse number="20">Ткъа хӀинца ладогӀахьа соьга, сан олахо волу паччахь, хьайга дехар дан пурба лохьа суна. Ма вигийтахьа со йозанча волчу ЯхӀунатин цӀа: ахьа иза дахь, со цигахь лийр ву».</verse>
				<verse number="21">ЦӀадукъ-ЯхӀус омра дира, Ярми-ЯхӀу гӀаролхойн кертахь чуволла, гӀалахь долу бепиг чекхдаллалц цунна хӀора дийнахь бепиг доттуш болчийн урамера бепиг а луш. Иштта, Ярми-ЯхӀу гӀаролхойн кертахь чувоьллина Ӏаш вара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="38">
				<verse number="1">Матанин кӀантана Шапат-ЯхӀуна а, Пашихьуран кӀантана Гадал-ЯхӀуна а, Шалам-ЯхӀун кӀантана ЯхӀукалана а, Малки-ЯхӀун кӀантана Пашихьурна а хезира, Ярми-ЯхӀус массо а халкъе иштта дешнаш дӀакхайкхош:</verse>
				<verse number="2">«Иштта боху Везачу Эло: „ХӀокху гӀалахь виснарг туьро, я мацалло, я Ӏожаллин уьно вуьйр ву, амма, гӀалара ара а ваьлла, хашадхойн каравахнарг дийна вуьсур ву. Цуьнан дахар цунна хӀонс санна хир ду, ткъа иза вехар ву“.</verse>
				<verse number="3">Везачу Эло кхин а боху: „ХӀара гӀала, шеко йоцуш, Бавелан паччахьан кара дӀалур ю, цо иза схьа а йоккхур ю“».</verse>
				<verse number="4">ТӀаккха баьччанаша паччахье элира: «Ярми-ЯхӀу вен везаш ву, хӀунда аьлча цо дуьйцучо кху гӀалахь бисинчу тӀемалойн а, иштта гӀалин бахархойн а майралла дӀайоккху. Цо вайна лоьрург дика дац, вон ду».</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахьо баьччанашна жоп делира: «Иза шун карахь ву, ткъа со аша дечунна дуьхьал хӀумма а дан йиш йолуш вац».</verse>
				<verse number="6">Цара Ярми-ЯхӀу, схьа а лаьцна, гӀаролхойн кертахь яьккхинчу паччахьан кӀентан Малки-ЯхӀун гӀунна чу кхоьссира. Ярми-ЯхӀу, машшаш а дихкина, цу гӀунна чу охьавоссийтира. Цу гӀунна чохь, сазз бен, хи дацара. Иштта саззи юкъа охьавоьссира Ярми-ЯхӀу.</verse>
				<verse number="7">Паччахьан цӀа чохь гӀуллакх деш волчу Ӏабайд-Малик цӀе йолчу цхьана хушахочунна хезна Ярми-ЯхӀу гӀу чу хаийна хиларх лаьцна. Цу хенахь паччахь Бен-Яманан кевнехь хиъна Ӏаш хилла.</verse>
				<verse number="8">Паччахьан цӀа чуьра ара а ваьлла, Ӏабайд-Малика, цунна тӀе а вахана, элира:</verse>
				<verse number="9">«Сан олахо волу паччахь! Цу наха динарг вон ду, Ярми-ЯхӀу гӀунна чу а кхоьссина. Иза цу чохь мацалла лийр ма ву, хӀунда аьлча кху гӀалахь кхин бепиг дац».</verse>
				<verse number="10">ТӀаккха паччахьо хушахо волчу Ӏабайд-Малике омра дина: «Хьайца кхузара ткъе итт стаг схьа а эций, Ярми-ЯхӀу гӀунна чуьра хьалаваккха, иза валале».</verse>
				<verse number="11">Ӏабайд-Малика, шеца нах схьа а эцна, паччахьан цӀийнан чӀоь-цӀенна кӀелахь йолчу чоьнна чуьра тиша тӀелхигаш а, ца оьшуш йолу кӀадинан кескаш а схьа а эцна, уьш Ярми-ЯхӀу чохь волчу гӀу чу тӀергаш а тесна, чу яхийтира.</verse>
				<verse number="12">Хушахо волчу Ӏабайд-Малика элира Ярми-ЯхӀуга: «ХӀара тиша тӀелхигаш а, кӀадинан кескаш а хьайн пхьаьрса кӀел а яхкий, царна тӀехула муш бахийта». Ярми-ЯхӀус шега де ма-аллара дира.</verse>
				<verse number="13">Машшашца хьала а озийна, цара гӀунна чуьра хьалаваьккхира Ярми-ЯхӀу. ТӀаккха иза гӀаролхойн кертахь Ӏийра.</verse>
				<verse number="14">ТӀаккха ЦӀадукъ-ЯхӀус шена тӀекхайкхира Ярми-ЯхӀу. Везачу Элан цӀийнан кертан кхоалгӀа ков долчу схьавалийра Ярми-ЯхӀу. Паччахьо элира: «Ас хӀинца цхьа хӀума хоттур ду хьоьга, ткъа ахьа, хӀумма а къайла ца доккхуш, суна жоп дала деза».</verse>
				<verse number="15">Ярми-ЯхӀус ЦӀадукъ-ЯхӀуга элира: «Ас хьайна жоп делча, ахьа со вуьйр ма ву, ткъа ас хьайна хьехар дича, ахьа иза дӀаоьцур дац».</verse>
				<verse number="16">Амма ЦӀадукъ-ЯхӀус къайлаха Ярми-ЯхӀуна чӀагӀо йира: «Вайна хӀара дахар кхоьллина а, дийна а волчу Везачу Элах чӀагӀо йо ас: ас вуьйр вац хьо, иштта хьо вен гӀерташ болчу нехан кара дӀа а лур вац аса».</verse>
				<verse number="17">ТӀаккха Ярми-ЯхӀус элира ЦӀадукъ-ЯхӀуга: «Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Дала иштта боху: „Нагахь хьо Бавел-мехкан паччахьан хьаькамашна караводахь, хьан са дийна хир ду, хӀара гӀала а цӀарца ца ягош юьсур ю. Хьо а, хьан доьзал а кхоийна хир бу.</verse>
				<verse number="18">Амма хьо Бавел-мехкан паччахьан хьаькамашна кара ца водахь, хӀара гӀала церан кара дӀа а лур ю, цара хӀара цӀарца ягор а ю, ткъа хьо царах кӀелхьар а вер вац“».</verse>
				<verse number="19">Амма ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахьо Ярми-ЯхӀуга элира: «ХӀинцале а хашадхошкахьа бевллачу яхӀудхойн кара со дӀаваларх а, цара со сийсазваккхарх а кхоьру со».</verse>
				<verse number="20">ТӀаккха Ярми-ЯхӀус элира: «Хашадхойн тӀемалоша хьо шайгахьа бевллачу яхӀудхошка дӀалур вац. Везачу Эло соьгахула хьайна бохучуьнга ладогӀахьара ахьа! Ахьа иза дахь, дерриг а дика хир ду хьоьца, хьо а дийна вуьсур ву.</verse>
				<verse number="21">Нагахь ахьа хьо церан кара ца водахь, хир ду аьлла Везачу Эло суна дӀадиллинарг хӀара ду:</verse>
				<verse number="22">ЯхӀудхойн паччахьан цӀа чохь бисина болу зударий хашадхойн хьаькамаш болчу дӀабуьгур бу. Оцу зударша, хьох бела а буьйлуш, эр ду: „Хьан тешамечара хьо ле ма вина, хьан доттагӀаша хьо къера ма хилийтина. Хьан когаш саззи юкъа ма бахана, хьан доттагӀий хьуна гена ма бевлла“.</verse>
				<verse number="23">Берриш а хьан зударий а, бераш а, дӀа а бигина, хашадхошна дӀалур бу. Хьо а вер вац церан карара: хашадхойн паччахьо хьо схьалоцур ву, ткъа хӀара гӀала цӀарца ягор ю».</verse>
				<verse number="24">ТӀаккха ЦӀадукъ-ЯхӀус элира Ярми-ЯхӀуга: «ХӀара дешнаш цхьана стагана а ма хаийта, хьо ца валийтархьама.</verse>
				<verse number="25">Сан баьччанашна дӀахаа мега ас хьоьца къамел дина хилар. Цара, схьа а баьхкина, хьоьга хатта тарло: „Бакъдерг схьадийца, хӀун элира ахьа паччахье а, паччахьо хьоьга хӀун элира а? Тхох къайла ма даккхалахь шаьшшиннан хилла къамел, тӀаккха оха хьо вуьйр вац“.</verse>
				<verse number="26">Нагахь иштта хилахь, ахьа цаьрга ала: „Со паччахье дехар деш вара, ЯхӀунатин цӀийнан набахти чохь валийта, со цига ма вахийта бохуш“».</verse>
				<verse number="27">Массо а баьччанаш Ярми-ЯхӀу волчу баьхкира, цара цуьнга хеттарш дира. Шега паччахьо ма-бохху, жоп делира царна Ярми-ЯхӀус. ХӀумма а ца олуш, уьш дӀабахара, паччахьца аса дина къамел цхьанна а ца хезна дела.</verse>
				<verse number="28">Ярми-ЯхӀу гӀаролхой болчу кертахь Ӏийра, Ярушалайм дӀалоцу де тӀекхаччалц. Ярушалайм дӀалацар иштта дара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="39">
				<verse number="1">ЯхӀудхойн паччахь волу ЦӀадукъ-ЯхӀу паччахьаллехь волу уьссалгӀачу шеран уьтталгӀачу баттахь Бавелан паччахь Набухди-Нецар, дерриг а шен эскар а далош, Ярушалаймана го а бина, дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="2">Ткъа ЦӀадукъ-ЯхӀу паччахьаллехь волчу цхьайтталгӀачу шеран боьалгӀачу беттан уьссалгӀачу дийнахь гӀалин пенех мостагӀаша Ӏуьрг даьккхира.</verse>
				<verse number="3">Бавелан массо а мехкан баьччанаш, гӀалина чу а баьхкина, Юккъерачу кевнна хьалха охьахевшира. Царна юкъахь Самгар-кӀоштан куьйгалхо Нургал-Шар-Эцар а, тӀеман коьрта хьаькам Сар-Сахим а, кхечу тайпана тӀеман хьаькам Нургал-Шар-Эцар а, иштта массо а кхиболу Бавелан паччахьан баьччанаш а бара.</verse>
				<verse number="4">ЯхӀудхойн паччахь а, цуьнца болу тӀемалой а, уьш шайна гича, буьйсанна гӀалара ара а бевлла, бевдда дӀабахара. Уьш, паччахьан бешахула, шина пенна юккъехь долчу кевнах чекх а бевлла, Ӏариба-тогӀи йолчу дӀабахара.</verse>
				<verse number="5">Амма хашадхойн эскар царна тӀаьхьаделира. Уьш ЦӀадукъ-ЯхӀуна тӀаьхьакхиира Ерихонан аренашкахь. Иза, схьа а лаьцна, Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецарна тӀевигира. Набухди-Нецар цу хенахь Хьамат-гӀалин махкахь йолчу Рабила-гӀалахь вара. Цигахь цо ЦӀадукъ-ЯхӀуна кхел йира.</verse>
				<verse number="6">Циггахь, Рабила-гӀалахь, Бавелан паччахьо а ЦӀадукъ-ЯхӀуна хьалха цуьнан кӀентий байира. Иштта ЯхӀуд-махкара баьччанаш а байира цо.</verse>
				<verse number="7">Ткъа ЦӀадукъ-ЯхӀу, бӀаьргаш а баьхна, буржалш а тоьхна, Бавеле дӀавига кечвира.</verse>
				<verse number="8">Хашадхоша паччахьан цӀа а, иштта Ярушалаймехь долу цӀенош а дагийра, гӀалин гонахара пенаш а охьаэгийра.</verse>
				<verse number="9">ГӀалахь бухадисина долу халкъ а, шегахьа бевлларш а паччахьан гӀаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана Бавеле дӀабигира.</verse>
				<verse number="10">Шайн долахь цхьа а хӀума а доцуш болчу къечу нахах цхьаберш гӀаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана ЯхӀуд-махкахь битира, царна кхаш а, кемсийн бошмаш а дӀа а елла.</verse>
				<verse number="11">Ткъа Ярми-ЯхӀух лаьцна Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара шен гӀаролхойн хьаькам волчу Набузар-Аданехула тӀедиллинера:</verse>
				<verse number="12">«Иза схьа а лахий, цуьнан дола де. Цунна цхьа а тайпа вон а ма де, амма цо мел аьлларг де», — аьлла.</verse>
				<verse number="13">ГӀаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана а, тӀеман коьрта хьаькам волчу Набуш-Забана а, тӀеман хьаькам волчу Нургал-Шар-Эцара а, иштта кхиболчу хашадхойн тӀеман хьаькамаша а Ярми-ЯхӀу лаха нах бахийтира.</verse>
				<verse number="14">Оцу наха Ярми-ЯхӀу, гӀаролхойн кертара схьа а эцна, Шапанин кӀентан Ахьикхаман кӀант волчу Гадал-ЯхӀун кара дӀавелира, цуьнга иза шен цӀа дӀавигийтархьама. Ярми-ЯхӀу шен халкъана юкъахь ваха висира.</verse>
				<verse number="15">Ярми-ЯхӀу гӀаролхойн кертахь чувоьллина волчу хенахь, цуьнга Везачу Элера хаам кхаьчнера:</verse>
				<verse number="16">«Ярми-ЯхӀу, ваха а гӀой, хушахо волчу Ӏабайд-Малике хӀара дешнаш дӀаала: „Иштта боху Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло: ‘ХӀокху гӀалина, диканиг а ца деш, бохам бийр бу аьлла долу Сайн дешнаш кхочушдан хӀоьттира Со. Иштта хилча, хьан бӀаьргашна хьалха иза кхочушхир ду.</verse>
				<verse number="17">Амма хьо Аса кӀелхьарвоккхур ву, — боху Везачу Эло. — Хьо кхоьручу нехан кара дӀалур вац хьо.</verse>
				<verse number="18">Ас хьо кӀелхьарвоккхур ву, хьо туьрах лийр вац, хьан дахар хӀонс санна хир ду хьуна, хӀунда аьлча хьо сох тешна дела’, — боху Везачу Эло“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="40">
				<verse number="1">Рама-гӀалахь Бавелан паччахьан гӀаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана иза дӀалаьцначуьра мукъаваьккхинчул тӀаьхьа, Ярми-ЯхӀуга Везачу Элера хаам кхечира. Набузар-Аданна иза, буржалш а тоьхна, Бавеле дӀабига новкъабаьхна Ярушалаймера а, ЯхӀуд-махкара а болчу йийсархошна юкъахь карийнера.</verse>
				<verse number="2">ГӀаролхойн хьаькамо, Ярми-ЯхӀу царна юкъара схьа а ваьккхина, цуьнга элира: «Хьан Везачу Дала хӀокху меттигна хӀара бохам бийр бу аьлла.</verse>
				<verse number="3">Ткъа хӀинца Ша аьлларг Везачу Эло кхочушдина. И дерриг а хилла, аша Цунна хьалха къинош летийна дела а, аша Цо бохучуьнга ла ца доьгӀна дела а.</verse>
				<verse number="4">Аса тахана хьан куьйгех тоьхначу хӀокху буржалех мукъавоккху хьо. Хьайна соьца Бавеле дӀаван лаахь, дӀавола, аса Ӏуналла дийр ду хьуна тӀехь. Нагахь хьайна цига дӀаван ца лаахь, кхузахь саца мегар ду хьуна. ХӀара дерриг а латта хьуна хьалха Ӏуьллуш ду, хьайна луъучу метте дӀаваха пурба ду хьуна».</verse>
				<verse number="5">Ярми-ЯхӀу новкъа валале, Набузар-Адана кхин а элира: «Я хьайна лаахь, Шапанин кӀентан Ахьикхаман кӀант Гадал-ЯхӀу волчу гӀо, Бавелан паччахьо массо а ЯхӀуд-махкарчу гӀаланашна тӀехь хьаькам хӀоттийна волчу. Хьайн халкъана юкъахь цуьнца саца мегар ду хьуна. Я хьайна луъучу метте дӀагӀо». Ярми-ЯхӀуна яа хӀума а, совгӀаташ а дӀа а делла, Набузар-Адана иза аравалийтира.</verse>
				<verse number="6">Ярми-ЯхӀу МицӀпа-гӀалахь сецначу Ахьикхаман кӀант Гадал-ЯхӀу волчу вахара. Шайн махкахь дисинчу шен халкъана юкъахь сецира иза.</verse>
				<verse number="7">ЯхӀудхойн эскаран хьаькамашна а, иштта кху махкахь бисина болчу тӀемалошна а, кхечу нахана а дӀахезира, Бавелан паччахьо Ахьикхаман кӀант Гадал-ЯхӀу мехкан куьйгалхо хӀоттийна аьлла. Бавеле дӀа ца буьгуш бисина болчу мехкан уггар къечу божаршна а, зударшна а, берашна а тӀехь цо Ӏуналла дан деза бохуш, хезира царна.</verse>
				<verse number="8">Уьш берриш а Гадал-ЯхӀу волчу МицӀпа-гӀала баьхкира. Царна юкъахь Натан-ЯхӀун кӀант ИсмаьӀал а, Къаьрхьин кӀентий Йохьан а, ЯхӀуната а, Танхьуматан кӀант Сари-ЯхӀу а, НатӀупатарчу Ӏейпин кӀентий а, маӀхахочун кӀант Яъзан-ЯхӀу а, иштта царна уллора берш а бара.</verse>
				<verse number="9">Шапанин кӀентан Ахьикхаман кӀант Гадал-ЯхӀу царна хьалха чӀагӀонаш еш вара: «Ма кхера хашадхошна гӀуллакх дан. ХӀокху махкахь даха охьа а ховша, Бавелан паччахьна муьтӀахь а хила, тӀаккха шуна дика хир ду.</verse>
				<verse number="10">Ткъа со МицӀпа-гӀалахь соцур ву, кхуза схьаоьхуш болчу хашадхошна хьалха шух лаьцна жоп а луш. Ткъа аша аьхкенан стоьмаш схьалахьабе, чагӀар а, даьтта а даккха, и массо а кхача кхабанаш чохь латта а бе, шаьш дӀалаьцначу гӀаланашкахь а Ӏе».</verse>
				<verse number="11">Массо а Муаби-махкахь а, Ӏаммин-махкахь а, Эдом-махкахь а, иштта кхечу мехкашкарчу яхӀудхошна дӀахезира Бавеларчу паччахьо цхьаболу нах ЯхӀуд-махкахь битина аьлла, царна тӀехь куьйгалла дан Шапанин кӀентан Ахьикхаман кӀант Гадал-ЯхӀу а хӀоттош.</verse>
				<verse number="12">Шаьш бевдда дӀабаханчу массо а меттигашкара яхӀудхой Гадал-ЯхӀу волчу МицӀпа-гӀала схьагулбелира. Шаьш юхадирзинчул тӀаьхьа цара дуккха чагӀар а, аьхкенан стоьмаш а гулдира.</verse>
				<verse number="13">Цу хенахь Къаьрхьин кӀант Йохьан а, иштта аренгахь лелаш болу кхиболу тӀемалойн хьаькамаш а Гадал-ЯхӀу волчу МицӀпа-гӀала баьхкира.</verse>
				<verse number="14">Цара элира Гадал-ЯхӀуга: «Хьуна хууш дуй, Ӏамминхойн паччахь БаӀалси хьо вен гӀерташ вуйла? Цо Натан-ЯхӀун кӀант ИсмаьӀал хьо вен ваийтина». Амма Ахьикхаман кӀант Гадал-ЯхӀу царах ца тийшира.</verse>
				<verse number="15">ТӀаккха Къаьрхьин кӀанта Йохьана къайлаха цуьнга элира: «Суна пурба лохьа Натан-ЯхӀун кӀант ИсмаьӀал вен. Цунах лаьцна цхьанна а хуур дац. Цуьнга хьо хӀунда воьйтур ву оха? Цо иза дахь, хьуна гонах схьагулбелла болу массо а яхӀудхой маьӀ-маьӀӀехь дӀасаборжуьйтур бара, ткъа ЯхӀуд-махкахь бисинчу нахана бохам бийр бара».</verse>
				<verse number="16">Амма Ахьикхаман кӀанта Гадал-ЯхӀус Къаьрхьин кӀанте Йохьане элира: «Ма делахь иза, хӀунда аьлча ахьа ИсмаьӀалах аьлларг бакъ дац».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="41">
				<verse number="1">ВорхӀалгӀачу баттахь Эли-ШамаӀан кӀентан Натан-ЯхӀун кӀант ИсмаьӀал Ахьикхаман кӀант Гадал-ЯхӀу волчу веара. Иза МицӀпа-гӀала веара, шеца кхин итт стаг а волуш. ИсмаьӀал паччахьан цӀийнах вара, иза иштта паччахьан эскаран хьаькамех цхьаъ вара. Гадал-ЯхӀуца цхьаьна иза а, цуьнца берш а хӀума юуш Ӏийра.</verse>
				<verse number="2">Натан-ЯхӀун кӀанта ИсмаьӀала а, цуьнца хиллачу итт стага а, хьала а гӀевттина, тарраш а тоьхна, вийра Шапанин кӀентан Ахьикхаман кӀант Гадал-ЯхӀу. Цу тайпана Бавелан паччахьо мехкан куьйгалхо вина дӀахӀоттийнарг вийнера.</verse>
				<verse number="3">ИсмаьӀала иштта Гадал-ЯхӀуца МицӀпа-гӀалахь хилла болу массо а яхӀудхой а, цигахь хилла болу хашадхойн тӀемалой а байира.</verse>
				<verse number="4">Гадал-ЯхӀу вийначу шолгӀачу дийнахь, и хӀума цхьанна а хаале,</verse>
				<verse number="5">МицӀпа-гӀала Шехемара а, Шилунера а, Шамранера а везткъа стаг веара, кӀен сагӀанаш а, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а яхьаш, Везачу Элан цӀа долчохь сагӀа даккхархьама. Цара массара а шайн мажош дӀаяьшнера, шайна тӀера хӀуманаш а этӀийнера, шайна чевнаш а йинера.</verse>
				<verse number="6">Натан-ЯхӀун кӀант ИсмаьӀал, МицӀпа-гӀалара ара а ваьлла, велха а воьлхуш, царна дуьхьал веара. Цо элира: «Ахьикхаман кӀант Гадал-ЯхӀу волчу гӀо».</verse>
				<verse number="7">ГӀалин юккъе кхаьчча, ИсмаьӀала а, цуьнца болчара а уьш, байа а байина, гӀунна чу кхиссира.</verse>
				<verse number="8">Амма цу нахана юкъахь хиллачу иттаммо элира ИсмаьӀале: «Ма дайахьа тхо, хӀунда аьлча тхан къайлаха дӀалачкъийна кӀа а, мукх а, зайтдаьтта а, моз а ду. Уьш оха кха тӀехь къайладаьхна ду». Кхечу нахаца цхьаьна уьш байаран метта ИсмаьӀала уьш дийна битира.</verse>
				<verse number="9">Цо Гадал-ЯхӀу бахьана долуш байина нах чукхиссина йолу гӀу Аса цӀе йолчу паччахьо яьккхина хилла, исраилхойн паччахь волчу БаӀшах ша ларвайтархьама. Натан-ЯхӀун кӀанта ИсмаьӀала и гӀу ша байинчу нехан декъех хьалаюьзна.</verse>
				<verse number="10">ИсмаьӀала дерриг а МицӀпа-гӀалахь дисина долу халкъ дӀалецира. Царна юкъахь паччахьан йоӀарий а, иштта МицӀпа-гӀалахь дисина кхин халкъ а дара. Уьш гӀаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана Ахьикхаман кӀантана Гадал-ЯхӀуна, дола де аьлла, дӀабелла бара. Йохьанан кӀант ИсмаьӀал, уьш дӀа а лаьцна, Ӏамминхой болчу ваха новкъа велира.</verse>
				<verse number="11">Амма Къаьрхьин кӀантана Йохьанна а, массо а цуьнца болчу тӀеман хьаькамашна а Натан-ЯхӀун кӀанта ИсмаьӀала динчу дерриг а зуламех лаьцна дӀахезира.</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха уьш, шайца кхин а нах схьа а эцна, Натан-ЯхӀун кӀантаца ИсмаьӀалца лата бахара. Уьш цунна ГавӀонехь болу боккха Ӏам болчохь тӀаьхьакхиира.</verse>
				<verse number="13">Йохьан а, цуьнца болу тӀеман хьаькамаш а шайна гича, ИсмаьӀал волчохь йийсарехь долчу халкъан чӀогӀа самукъаделира.</verse>
				<verse number="14">ИсмаьӀала МицӀпа-гӀалахь йийсаре дигна долу дерриг а халкъ, юха а дирзина, Къаьрхьин кӀант Йохьан волчу дӀадахара.</verse>
				<verse number="15">Натан-ЯхӀун кӀант ИсмаьӀал, шеца бархӀ стаг а волуш, Йохьанах ведда, Ӏамминхой болчу дӀавахара.</verse>
				<verse number="16">ТӀаккха Йохьана а, цуьнца болчу тӀеман хьаькамаша а МицӀпа-гӀалара дийна мел бисинарш дӀабигира. Цара уьш ИсмаьӀалан куьйгах кӀелхьарбехира, шаьш Гадал-ЯхӀу вийначул тӀаьхьа. Цара дӀабигира ГавӀон-гӀалара шайца схьа мел баьхкина болу нах: божарий а, тӀемалой а, зударий а, бераш а, паччахьан кертара нах а.</verse>
				<verse number="17">Уьш Байтлахам-гӀалина уллохь йолчу Гейрут-КӀамхӀам йолчохь севцира, цигара Мисар-махка дӀабаха дагахь,</verse>
				<verse number="18">хашадхой бахьана долуш. Уьш кхоьрура хашадхойх, хӀунда аьлча Бавелан паччахьо ЯхӀуд-махкана тӀехь куьйгалхо хӀоттийна волу Гадал-ЯхӀу вийнера ИсмаьӀала.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="42">
				<verse number="1">Уьш КӀамхӀамехь севцначу хенахь, Къаьрхьин кӀант Йохьан а, цуьнца ХӀушаӀ-ЯхӀун кӀант Язан-ЯхӀу а, иштта кӀезиг болчу нахана тӀера дуьйна, цӀеяхана болчарна тӀекхаччалц долу дерриг а халкъ а Ярми-ЯхӀу-пайхамар волчу дахара.</verse>
				<verse number="2">Цара цуьнга элира: «Тхан дехаршка ладогӀахьа, Ярми-ЯхӀу. Дийна дисначу тхуна тӀера доӀа дехьа хьайн Везачу Деле. Хьуна гуш ду-кх, Ярми-ЯхӀу, дуккха а хилла долу тхо кӀеззиг бен ца дисар.</verse>
				<verse number="3">ДоӀа дехьа, хьан Везачу Деле тхо даха деза некъ а гайтахьара, оха хӀун дан деза а дийцахьара алий».</verse>
				<verse number="4">ТӀаккха Ярми-ЯхӀу-пайхамаро царна жоп делира: «Аша бохуш дерг со хезаш ву, аса шун Везачу Деле доӀа а дийр ду, аша соьга ма-деххара. Везачу Элера сайна хезнарг, цхьа а хӀума къайла а ца доккхуш, шуьга дӀа а дуьйцур ду».</verse>
				<verse number="5">Цара Ярми-ЯхӀуга элира: «Веза Эла бакъволу а, тешаме а теш тхуна дуьхьал хуьлийла, хьан Везачу Дала тхан дуьхьа хьуна луш долчу массо а дешнашка хьаьжжина тхо ца лелахь.</verse>
				<verse number="6">И хаам дика хилахь а, вон хилахь а, оха хьо вохуьйтучу тхан Везачу Дала бохучуьнга ладугӀурш хир ду тхо. Тхан Везачу Деле тхо ладугӀуш делахь, тхуна диканиг хир ма ду».</verse>
				<verse number="7">Итт де даьлча, Ярми-ЯхӀуга Везачу Элера хаам кхечира.</verse>
				<verse number="8">Цо Къаьрхьин кӀант Йохьан а, цуьнца болу тӀеман хьаькамаш а, иштта кӀезиг болчу нахана тӀера дуьйна, цӀеяхана болчарна тӀекхаччалц долу дерриг а халкъ а ша волчу дӀакхайкхира.</verse>
				<verse number="9">Ярми-ЯхӀус цаьрга элира: «Шайн дехар дӀадала аша со тӀевахийтинчу Исраилан халкъан Везачу Дала боху:</verse>
				<verse number="10">„Нагахь санна шу хӀокху лаьтта тӀехь совцахь, Аса шу юхаметта а хӀоттор ду, дохор а дац. Аса шу дӀа а дугӀур ду, орамашца схьа а дохур дац, хӀунда аьлча Со хӀинца дохковаьлла Ас шуна баьккхина бохам бахьана долуш.</verse>
				<verse number="11">Ма кхера шаьш кхоьруш волчу Бавелан паччахьах. Шу цунах ма кхера, — боху Везачу Эло, — хӀунда аьлча Со шуьца ву, Ас шу кӀелхьардохур а ду.</verse>
				<verse number="12">Аса шух къинхетам бийр бу, Бавелан паччахь шуьца къинхетаме а хуьлуьйтуш. Цо шуна шайн махка юхадерза могуьйтур ду“.</verse>
				<verse number="13">Шайн Везачу Дала бохучуьнга ла а ца дугӀуш, аша иштта ала тарло: „Тхо дуьсур дац ЯхӀуд-махкахь.</verse>
				<verse number="14">Тхо Мисар-махка дӀа а гӀур ду, цигахь Ӏийр а ду, цу меттехь тхох тӀом а хьакхалур бац, тӀаме кхойкхуш долу коьман маӀан аз тхуна хезар а дац, цигахь тхуна мацалла а гур яц“.</verse>
				<verse number="15">Нагахь аша иштта алахь, ЯхӀуд-махкахь дийна бисинарш, тӀаккха аша Везачу Элера болчу хааме ладогӀа деза. ЛадогӀа шайга Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло бохучуьнга: „Нагахь санна аша Мисар-махка дӀадаха а, цигахь Ӏан а баккъал сацам бинехь,</verse>
				<verse number="16">шу кхоьруш долу тур цигахь шуна тӀаьхьакхуьур ду, шу къаьхкаш йолу мацалла цигахь, Мисар-махкахь, шуна тӀекхочур ю, ткъа цигахь шу лийр а ду.</verse>
				<verse number="17">ХӀора Мисар-махка ваха сацам бинарг, цигахь а я тур, я мацалла, я Ӏожаллин ун бахьана долуш лийр ву. Царах цхьа а дийна вуьсур вац. Аса царна бан леринчу бохамах цхьа а кӀелхьарвер вац“.</verse>
				<verse number="18">Иштта боху Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло: „Сайн оьгӀазалла а, дералла а Ярушалаймерчу бахархошна тӀе ерзийна хиларе терра, Сайн дералла Аса шуна тӀе охьаӀанор ю, шу Мисар-махка дӀадахча. Наха шун цӀе яккхарца неӀалт а эр ду, шуна динчунна нах инзар а бевр бу, шух кхаьрдар а бу, нахана шу дола а хетар ду. Кхин цкъа а хӀара меттиг а гур яц шуна“.</verse>
				<verse number="19">Ва ЯхӀуд-махкахь дийна биснарш, Везачу Эло шуьга элира: „Мисар-махка ма гӀолаш“. Цундела ас шуьга чӀогӀа дӀахьедар до,</verse>
				<verse number="20">шу шайгара гӀалат далийта дохку, ткъа цу гӀалато шу Ӏожалле далор ду. Аша со шун Веза Дела волчу вахийтира, соьга иштта олуш: „Тхуна тӀера вайн Везачу Эле доьхуш доӀа дехьа. Цо мел аьлларг тхоьга дӀаалахьа, ткъа оха иза кхочушдийр ду“.</verse>
				<verse number="21">Тахана аса шуьга Везачу Элера болу хаам дӀакхачийра, амма шуна ца лаьа, Цо соьгахула шайга аьлларг а деш, Цуьнга ладогӀа.</verse>
				<verse number="22">ХӀинца хаа ду шуна: шаьш даха дӀадаха шуна охьаховша лууш йолчу меттехь туьро а, мацалло а, Ӏожаллин уьно а хӀаллакдийр ду шу».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="43">
				<verse number="1">Ярми-ЯхӀус церан Везачу Дала шега дӀаала мел аьлларг дерриг а халкъе дӀаэлира.</verse>
				<verse number="2">ТӀаккха ХӀушаӀ-ЯхӀун кӀанта Ӏазар-ЯхӀус а, Къаьрхьин кӀанта Йохьана а, иштта цигахь болчу массо а кӀоршамечу наха а Ярми-ЯхӀуга элира: «Ахьа бохург бакъ дац. Тхан Везачу Дала ца ваийтина хьо тхоьга: „Шу Мисар-махка даха дӀа ма гӀо“ — ала.</verse>
				<verse number="3">Нери-ЯхӀун кӀанта Баруха хьо тхуна дуьхьалвала иракара ма хӀоттийна, тхо, хашадхойн кара дӀа а делла, цаьрга дайъийтархьама а, я Бавел-махка йийсаре дӀадигийтархьама а».</verse>
				<verse number="4">Иштта Къаьрхьин кӀанта Йохьана а, тӀеман хьаькамаша а, дерриг а халкъо а, ЯхӀуд-махкахь саца аьлла, Везачу Эло шайга аьллачуьнга ла ца дуьйгӀира.</verse>
				<verse number="5">Къаьрхьин кӀанта Йохьана а, тӀеман массо а хьаькамаша а, шаьш дӀасалаьхкина долчу массо а къаьмнашкара ЯхӀуд-махкахь дахархьама юхадирзина долу дерриг а дийна дисина долу адам схьа а гулдина, Мисар-махка дӀадигира.</verse>
				<verse number="6">ГӀаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана Шапанин кӀентан Ахьикхаман кӀантехь Гадал-ЯхӀугахь шайн дола дан дитина болу массо а божарий а, зударий а, бераш а, паччахьан зудабераш а, иштта Ярми-ЯхӀу-пайхамар а, Нери-ЯхӀун кӀант Барух а шайца дӀабигира.</verse>
				<verse number="7">Цу наха Везачу Элера болчу хааме ла ца дуьйгӀира, уьш Мисар-махкахь йолчу Тахьпанхьас-гӀала дӀабахара.</verse>
				<verse number="8">Тахьпанхьас-гӀалахь Ярми-ЯхӀуга хӀара хаам кхечира Везачу Элера:</verse>
				<verse number="9">«Масех боккха тӀулг а лахий, Тахьпанхьас-гӀаларчу пирӀунан цӀенна чу воьдучу меттигна хьалха йолчу майданан поппар буха дӀадохка уьш, берриг а яхӀудхочунна гуччохь.</verse>
				<verse number="10">Ахьа и хӀума деш гуш болчу яхӀудхошка ала: „Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло хӀара боху: ‘Ас Сан лай волчу Бавелан паччахье Набухди-Нецаре кхуза схьакхайкха бохуьйтур бу. Ас цуьнан паччахьан гӀант кхузахь Айса дӀадоьхкина долчу тӀулгаш тӀехь дӀахӀоттор ду. Цу тӀулгаш тӀехь Набухди-Нецара шен паччахьан четар дӀахӀоттор ду.</verse>
				<verse number="11">Иза, кхуза схьа а веана, Мисар-махкана тӀелетар ву. Ӏожаллина леринарг Ӏожаллина гӀур ву, йийсаре вигийта леринарг йийсаре гӀур ву, ткъа туьро вен леринарг туьра кӀел гӀур ву.</verse>
				<verse number="12">Набухди-Нецара мисархойн деланийн цӀеношкахь цӀе латор ю, цигара цӀуш я багор бу, я йийсаре дӀабуьгур бу. ЖаӀуьно шен бедар мезех цӀан ма-ярра, Мисар-мохк цӀанбийр бу цо, цул тӀаьхьа маьрша цигара ара а вер ву.</verse>
				<verse number="13">Набухди-Нецара Ана-гӀалахь долчу харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш дохор ду, ткъа мисархойн харцделанийн цӀенош цӀарца дагор ду’“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="44">
				<verse number="1">Мисар-махкахь Ӏаш болчу яхӀудхошка дӀаала беза хаам кхечира Ярми-ЯхӀуга Везачу Элера. Уьш Мигдол-гӀалахь а, Тахьпанхьас-гӀалахь а, Нуп-гӀалахь а, мехкан къилберачу декъахь а баха хевшинера. ХӀара бу и хаам:</verse>
				<verse number="2">«Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Шуна гина Ас Ярушалаймана а, иштта массо а ЯхӀуд-махкарчу гӀаланашна а бина болу бохамаш. Уьш хӀинца яссаелла, цигахь вехаш цхьа а стаг а вац,</verse>
				<verse number="3">цигахь дехаш хиллачу адамаша дина долу вонаш бахьана долуш. Я царна а, я шуна а, я шун дайшна а хьалххе бевзаш ца хиллачу кхечу деланашна сагӀанаш а дохуш, царна Ӏамал а еш, Со оьгӀазвахийтира цара.</verse>
				<verse number="4">Мосуьйттазза шу долчу Сайн ялхой болу пайхамарш бохкуьйтура, Сайн цӀарах дӀаала: ‘Ма леладе Суна ца дезаш долу и дегаза хӀума’.</verse>
				<verse number="5">Амма цара пайхамаршка ла а ца дугӀура, уьш тергал а ца бора. Шаьш лелош долчух уьш дӀа ца бирзира — кхечу деланашна сагӀанаш дечуьра ца совцура уьш.</verse>
				<verse number="6">Цундела Сан дералла а, оьгӀазалла а охьаӀанайира, ЯхӀуд-махкара гӀаланаш а, Ярушалайман урамаш а дагош. Иштта уьш дохийна дӀадехира, ткъа уьш хӀинца а дассаделла лаьтташ ду“.</verse>
				<verse number="7">Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло хӀинца а боху: „Шаьш Ӏожалле далош долу доккха вониг хӀунда леладо аша? Аша дийриг бахьана долуш ЯхӀудан къомера божарий а, зударий а, даккхий а, кегий а бераш а хӀаллакдо, шайн къоман тӀаьхье а ца юьтуш.</verse>
				<verse number="8">Шайн куьйгашца бинчу цӀушна Ӏамал а еш, шаьш цигахь Ӏан дӀадаханчу Мисар-махкахь кхечу деланашна сагӀанаш а дохуш, Со оьгӀаз хӀунда вохуьйту аша? Шу шаьш хӀаллакдеш ма ду, дуьненан массо а къаьмнашна хьалха наха шун цӀе яккхарца неӀалт эр ду, царна шу дола хетар ду.</verse>
				<verse number="9">Шуна дицделла те шайн дайша а, яхӀудхойн паччахьаша а, церан зударша а лелийна долу зуламаш, аша шаьш а, шун зударша а ЯхӀуд-махкахь а, Ярушалайман урамашкахь а лелийна долу вон хӀуманаш?</verse>
				<verse number="10">Таханлерчу денна тӀекхаччалц шу, шаьш кӀезиг а хеташ, Суна хьалха ларамах дуьзна дац, шуна а, шун дайшна а Аса беллачу Сан товрат-хьехамца а, Сан парзашца а ца лелара шу“.</verse>
				<verse number="11">Цундела Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Аса сацам бина, шуна тӀе вониг даийта. Кхузахь болу массо а яхӀудхой хӀаллакбийр бу Аса.</verse>
				<verse number="12">Мисар-махка кхалха а, цигахь Ӏан а сацам бина ЯхӀуд-махкахь дийна биснарш Аса дӀабохур бу. Уьш массо а Мисар-махкахь дӀакхелхар бу! КӀезиг болчу нахана тӀера дуьйна, цӀеяхана болчарна тӀекхаччалц уьш туьраца а, мацаллица а хӀаллакьхир бу. Наха церан цӀе яккхарца неӀалт эр ду, царна динчунна нах Ӏадийна хир бу, царах кхаьрдар бу, нахана уьш дола а хетар бу.</verse>
				<verse number="13">Аса Ярушалаймана таӀзар ма-дарра, туьраца, мацаллица, Ӏожаллин уьнца таӀзар дийр ду шух болчу Мисар-махкахь бехаш болчарна.</verse>
				<verse number="14">Мисар-махкахь Ӏан цига дӀабаханчу яхӀудхойх дийна бисинчарах цхьа а кӀелхьарвер а вац я дийна а вуьсур вац, ЯхӀуд-махка юхаверзархьама. Шайн махка юхадерза шаьш сатуьйсуш делахь а, Ӏожаллех кӀелхьарваьлла масех стаг воцург цхьа а цӀа воьрзур вац“».</verse>
				<verse number="15">ТӀаккха шайн зударша кхечу деланашна сагӀанаш дохуш хилар хууш болу массо а божарий а, цигахь лаьтташ болчу зударшца цхьаьна Ярми-ЯхӀуга бистхилира. Цигахь йоккха адамийн тоба яра. Царна юкъахь бара къилбаседехьара а, къилбехьара а Мисар-махкахь бехаш болу яхӀудхой. Цара Ярми-ЯхӀуна жоп делира:</verse>
				<verse number="16">«Оха ладугӀур дац ахьа Везачу Элан цӀарах тхуна беанчу хааме.</verse>
				<verse number="17">Тхаьш аьлларг оха билггал кхочушдийр ду: оха цӀеран а, чагӀаран а сагӀанаш а дохур ду стигаларчу зуда-паччахьна, ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь а, Ярушалайман урамашкахь а тхо а, тхан дай а, тхан куьйгалхой а, тхан паччахьаш а, тхан баьччанаш а ма-леллара лелар а ду. Оцу хенахь тхан даа хӀума а хуьлура, тхан аьтто а хуьлура, тхуна тӀе вонаш а ца догӀура.</verse>
				<verse number="18">Амма тхо стигаларчу зуда-паччахьна цӀеран а, чагӀаран а сагӀанаш дохучуьра севцича, тхан хӀумма а дацара, ткъа тхо туьро а, мацалло а хӀаллакдеш дара».</verse>
				<verse number="19">Цул тӀаьхьа зударий бистхилира. Цара элира Ярми-ЯхӀуга: «Стигаларчу зуда-паччахьна оха цӀеран а, чагӀаран а сагӀанаш дохучу хенахь тхан майранашна иза хууш ца хилла те? Цуьнан сибатехь оха хьокхамаш а доттуш, цунна чагӀаран сагӀанаш а дохуш, цара тхуна пурба ма лора!»</verse>
				<verse number="20">ТӀаккха Ярми-ЯхӀус шена иштта жоп деллачу дерриг халкъе а — божаршка а, зударшка а — элира:</verse>
				<verse number="21">«Везачу Элана диц ца делла аша а, шун дайша а, паччахьаша а, шун баьччанаша а, мехкан халкъо а ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь а, Ярушалайман урамашкахь а кхечу деланашна сагӀанаш дохуш хилар. Цуьнан дагахь иза лаьтташ ма ду.</verse>
				<verse number="22">Везачу Эле кхин са ца тохаделира аша лелочу зуламечу а, дегазчу а гӀуллакхашна. Цундела шун латта тахана дохийна а, дассаделла а, тӀехь Ӏаш адам а доцуш, лаьтташ ду, ткъа наха цуьнан цӀе яккхарца неӀалт олу.</verse>
				<verse number="23">Кхечу деланашна аша сагӀанаш дахар а, Везачу Элана дуьхьал къинош летор а, Цо беллачу товрат-хьехамца а, парзашца а, сацамашца а шу ца лелар а бахьана долуш тахана гуш болу и бохам шуна тӀебаийтина бу».</verse>
				<verse number="24">Цул тӀаьхьа Ярми-ЯхӀус, леррина зударшка вист а хуьлуш, массо а нахе элира: «Мисар-махкахь Ӏаш болу массо а яхӀудхой, ладогӀа Везачу Элан даше!</verse>
				<verse number="25">Иштта боху Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло: „Аша а, шун зударша а шаьш шайн багахула схьааьлларг шайн куьйгашца чӀагӀдина. Аша боху: ‘Стигаларчу зуда-паччахьна цӀеран а, чагӀаран а сагӀанаш дийр ду аьлла йолу чӀагӀо оха билггал кхочушйийр ю’. Шаьш делла дош дан ма-дезза кхочушде! Шаьш йина чӀагӀонаш билггал ларъе!</verse>
				<verse number="26">Амма ладогӀалаш Везачу Элера болчу хааме, Мисар-махкахь мел бехаш болу яхӀудхой: ‘Сайн сийлахьчу цӀарах Ас чӀагӀо йо, — боху Везачу Эло, — массанхьа а Мисар-махкахь вехаш волчу цхьана а яхӀудхочо кхин цкъа а Сан цӀарах чӀагӀо йийр яц, ‹Дийна волчу Хьалдолчу Элах чӀагӀо йо ас› — бохуш</verse>
				<verse number="27">Аса цу нехан тергам бийр бу, амма царна гӀо дархьама бийр бац, уьш хӀаллакбархьама тергал беш хир ву. Мисар-махкахь бехаш болу яхӀудхой я мацалло хӀаллакбийр бу, я туьро бойур бу, царах кхин цхьа а стаг ца виссалц.</verse>
				<verse number="28">КӀеззиг нах юхабоьрзур бу Мисар-махкара ЯхӀуд-махка, туьрах кӀелхьар а бевлла. ТӀаккха Мисар-махкахь баха схьабаьхкина болчу дийна бисинчу берриг а яхӀудхошна хуур ду, хьенан дешнаш хилла бакъ — Сан я церан.</verse>
				<verse number="29">Кхузахь Аса шуна таӀзар а дийр ду, шуна бохам а боккхур бу аьлла Сан дешнаш чӀогӀа дуйла шуна хоуьйтуш, — боху Везачу Эло, — хӀара билгало гойтур ю шуна.</verse>
				<verse number="30">Аса Мисар-мехкан паччахь волу ХьупраӀ-пирӀун вен гӀерташ болчу цуьнан мостагӀийн кара дӀалур ву иза, — боху Везачу Эло, — яхӀудхойн паччахь ЦӀадукъ-ЯхӀу Аса иза вен лоьхучу цуьнан мостагӀа волчу Бавелан паччахьан Набухди-Нецаран кара дӀа-ма-валлара’“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="45">
				<verse number="1">Юши-ЯхӀун кӀант волчу а, яхӀудхойн паччахь волчу а ЯхӀу-Якхама олалла дечу доьалгӀачу шарахь Ярми-ЯхӀу-пайхамаро олу дешнаш Нери-ЯхӀун кӀант Барух тептар тӀехь дӀаяздеш вара. Оцу хенахь Ярми-ЯхӀу Барухе вистхилира:</verse>
				<verse number="2">«ХӀара боху хьоьга, Барух, Исраилан халкъан Везачу Дала:</verse>
				<verse number="3">„Ахь боху: ‘Маржа-яӀ! Везачу Эло сан деган лазамна тӀе гӀайгӀа тоьхна. Аса дечу узарша гӀелвина со, ткъа суна синтем бац’.</verse>
				<verse number="4">Иштта дӀаала цуьнга, Ярми-ЯхӀу: ‘Везачу Эло боху: ‹Айса мел хӀоттийнарг а Ас дохор ду, Айса дӀа мел йоьгӀнарг а орамашца схьайоккхур ю. Иза Ас дерриг а махка тӀехь дийр ду.</verse>
				<verse number="5">Барух, Аса хьайна даккхий гӀуллакхаш дар лууш вуй хьо? Ма лаа иза, хӀунда аьлча Ас массо а адамашна боккха бохам бийр бу, — боху Везачу Эло. — Амма хьо мичча вахча а, хьан дахар Аса хьуна, хӀонс санна, лур ду›’“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="46">
				<verse number="1">Ярми-ЯхӀу-пайхамаре кхечу къаьмнех лаьцна болу Везачу Элера хаамаш хӀорш бу.</verse>
				<verse number="2">И хаам Мисаран къомах а, Мисаран паччахь волчу Наху-пирӀунан эскарх а лаьцна бу. Цуьнан эскар Эпрат-хина йистехь лаьттачу КӀаркамиш-гӀалина уллохь эшийнера. Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара Наху-пирӀунан эскар эшийра яхӀудхойн паччахь волу Юши-ЯхӀун кӀант ЯхӀу-Якхам паччахьаллехь волчу доьалгӀачу шарахь. ХӀара бара оцу эскарх лаьцна Везачу Элера болу хаам:</verse>
				<verse number="3">«Мисаран эскаран хьаькамаш кхойкху: „Шайн жима а, доккха а турсаш кечдай, тӀом бан арадовла.</verse>
				<verse number="4">Дошлой, шайн говраш тӀе нуьйраш а тахкий, царна тӀе а ховший, шайн гӀемаш дӀатахка. Иштта гӀаьгӀнаш тӀедуха, гоьмукъаш а ирде“.</verse>
				<verse number="5">Уьш, кхера а белла, юхабевлла хӀунда го Суна? Царах доьналла дерш а ма эшна, юхахьовса а ца кхуьуш, бевдда боьлхуш ма бу уьш. Массо а агӀор къемат ма ду царна тӀегӀерташ, — боху Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="6">Сиха водуш верг а ведда, кӀелхьарвалалур вац, ницкъ болуш верг а баланех хьалхавалалур вац. Къилбаседехьа йолчу меттехь, Эпрат-хина уллохь, ког а тасабелла, уьш охьаоьгур бу.</verse>
				<verse number="7">Нил-хи санна, хьаладолуш дерг мила ду? Цуьнан хиш санна, тӀехдуьйлуш дерг мила ду?</verse>
				<verse number="8">Мисаран къам ду, Нил-хи санна хьаладолуш а, хин гаьннаш санна тӀехдолуш а. Цо боху: „Аса дерриг а латта дӀахьулдийр ду, цу тӀера ерриг а гӀаланаш а, царна чуьра бахархой а хӀаллакбийр бу“.</verse>
				<verse number="9">Дошлой, говраш тӀе ховша! ГӀудалкхаш чехка хахкийта! ТӀемалой тӀамана арабаха! Шайн турсашца болу хушахой а, пӀатӀахой а, иштта секхаӀедаш дулуш болу лудамхой а, тӀаме хӀинца арадовла!</verse>
				<verse number="10">ХӀара де массо а ницкъийн Хьалдолчу Элан де ду. ХӀара де Цо бекхам бо де ду. Цуьнан мостагӀашна тахана бекхам хир бу. Туьро уьш, ша дуззалц, дӀакхоллур бу, ша Ӏаббалц, церан цӀий а молур ду, хӀунда аьлча Эпрат-хина уллохь болчу къилбаседерачу махкахь массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло Шена сагӀа кечдийр ду.</verse>
				<verse number="11">ГалӀаде а гӀой, цигара хьайна молханаш схьаэца, ва хьоме Мисаран къам! Амма ахьа дарба леладар эрна хуьлу, хӀунда аьлча хьуна хила дарба дац.</verse>
				<verse number="12">Кхечу къаьмнашна хьан эхьах лаьцна хезар ду, хьан белхаро дерриг а латта хьаладузур ду. Цхьа тӀемало вукху тӀемалочух тасалур ву, ткъа уьш ший а охьавужур ву».</verse>
				<verse number="13">Мисар-махкана тӀелатархьама Бавелан паччахь волу Набухди-Нецар схьаваларх лаьцна Везачу Эло Ярми-ЯхӀу-пайхамаре иштта хаам бира:</verse>
				<verse number="14">«ХӀара хаам дӀакхайкхабе Мисар-махкахула, дӀахаийта иза Мигдол а, Нуп а, Тахьпанхьас а гӀаланашкахь: „Лардаран раьгӀнашкахь дӀахӀиттий, тӀамана кечло, мостагӀчун туьро хьуна гонах мел долу къам дӀакхоллу дела.</verse>
				<verse number="15">ХӀаллак хӀунда хилла хьан ницкъболу тӀемалой? Уьш дуьхьал латталур бац, хӀунда аьлча Везачу Эло лаьхкина буьгуш бу уьш“.</verse>
				<verse number="16">Цо дукхахберш тасаболуьйтур бу. Уьш вовшашна тӀе оьгур бу. Цара бохур ду: „Дуьло, юхагӀур ду вай вайн халкъана тӀе а, вайн махкана тӀе а, хӀаллакдечу туьрах кӀелхьардовлархьама“.</verse>
				<verse number="17">Цигахь цара эр ду: „Мисар-мехкан паччахь волу пирӀун эрна гӀовгӀа ян бен вац. Цо шен таро йолу хан дӀаяхийти“.</verse>
				<verse number="18">Дийна волчу Сох чӀагӀо йо Аса, — боху Паччахьо, Шен цӀе массо а ницкъийн Веза Эла йолчу, — лаьмнашна юкъахь Табур-лам санна волу а, хӀордана уллохь лаьтташ Кармал-лам санна волу а цхьа ницкъболу куьйгалхо вогӀур ву шуна.</verse>
				<verse number="19">Мисар-махкара бахархой, шайн массо а хӀума схьагулде, йийсаре даха кечам бе, хӀунда аьлча Нуп-гӀала ерриг а яссор ю, цхьа а стаг шена чохь ца вехаш ерриг а йохийна хир ю.</verse>
				<verse number="20">Мисаран къам чӀогӀа хаза дуьхьарг санна ду, амма къилбаседехьара ю тухуш болу моза цунна тӀебогӀу.</verse>
				<verse number="21">Цо тӀелаьцна балийна болу тӀемалой дустийначу эсех тера бу. Уьш шаьш бевдда дӀагӀур бу, дуьхьаллатта де доцуш, хӀунда аьлча церан Ӏожаллин де тӀекхаьчна, царна таӀзар хуьлу де ду тӀедеанарг.</verse>
				<verse number="22">Мисаран эскар дедда дӀагӀур ду, лаьхьано санна хиш-ш а деш, мостагӀийн эскар улло кхочучу хенахь. Уьш, шайн карахь дагарш а долуш, хьун хьакхархой санна, цунна тӀе летар бу.</verse>
				<verse number="23">Цара хьокхур ю мисархойн хьун, — боху Везачу Эло, — Цу хьун чохь дукха дитташ делахь а. ЦӀоз санна, дукха ду мостагӀчун эскар, уьш багарбина а вер вац.</verse>
				<verse number="24">ЮьхьӀаьржачу хӀоттор ду Мисаран къам, къилбаседехьарчу халкъан карагӀур ду иза».</verse>
				<verse number="25">Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: «Ас кестта таӀзар дийр ду Ну-гӀалахь волчу Амин-харцдалла а, иштта ПирӀунна а, Мисар-махкана а, цуьнан деланашна а, паччахьашна а, пирӀунах тешна Ӏаш мел болчарна а.</verse>
				<verse number="26">Уьш хӀаллакбан гӀерташ болчу церан мостагӀийн кара дӀалур бу Ас уьш — Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран а, цуьнан баьччанийн а кара. Амма тӀаьхьо Мисар-махкахь хьалха санна нах бехаш Ӏаш хир бу», — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="27">«Ткъа хьо, Сан ялхо йолу Якъубан тӀаьхье, кхера ма ло, иштта Исраилан халкъ, ма къахка. Аса хьо генарчу махках кӀелхьардоккхур а ду, шаьш йийсаре дӀабигначу махкара хьан тӀаьхьенаш паргӀатйохур а ю. Якъубан тӀаьхье юхайоьрзур ю, уьш машарехь а, сашортехь а бехар бу. Царна цхьаммо а кхерамаш а туьйсур бац.</verse>
				<verse number="28">Сан ялхо йолу Якъубан тӀаьхье, кхера ма ло, — боху Везачу Эло, — Со хьоьца волу дела. Шу дӀасалаьхкина мел долу къаьмнаш Аса билггал хӀаллакдийр делахь а, шу хӀаллак ца деш, дуьтур ду. Шуна таӀзар ца деш Аса шу дуьтур дац, амма Аса нийсонца Шуна таӀзар дийр ду».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="47">
				<verse number="1">ПирӀун Ӏази-гӀалина тӀелатале хьалха Ярми-ЯхӀу-пайхамаре Везачу Элера пӀелаштамхойх лаьцна болу хӀара хаам кхаьчна.</verse>
				<verse number="2">Иштта боху Везачу Эло: «Къилбаседехь хиш ду хьаладовлуш, ткъа царах тӀехйолу Ӏовраш хир ю. Уьш тӀеевр ю пӀелаштамхойн махкана а, цу тӀехь мел долчу хӀуманна а тӀе, гӀаланашна а, царна чохь Ӏаш долчу адамашна а тӀе. Цигара нах орца даха буьйлалур бу, махкахь мел Ӏаш берш боьлхур бу.</verse>
				<verse number="3">Царна ницкъ болчу говрийн когийн татанаш хезар ду, гӀудалкхаша еш йолу гӀовгӀа а хезар ю. Цу гӀовгӀана юкъахь дай шайн берашка дӀахьажа а, царна гӀо дан а кхуьур бац, хӀунда аьлча гӀора дӀадаьлла болчу цара шайн куьйгаш охьадохуьйтур ду.</verse>
				<verse number="4">Берриг а пӀелаштамхой хӀаллакбен де тӀекхаьчна, Цора-гӀалина а, ЦӀадан-гӀалина а дисина долу гӀо дӀахеда хан тӀекхаьчна. Везачу Эло хӀаллакбийр бу пӀелаштамхой, КаптӀар-гӀайренах схьаваьлла мел виснарг.</verse>
				<verse number="5">Шайн сингаттам а гойтуш, Ӏази-гӀаларчу наха шайн кортош дӀадошур ду, Ашкхилун-гӀалара нах бист ца хуьлуш хир бу. ПӀелаштамхойх дийна мел диснарш, дукха хир ду шу, шайн догӀмаш а хедош, шайгара боккха сингаттам гайтархьама?</verse>
				<verse number="6">„Мел лелар ду хьо, Везачу Элан тур, саццаза таӀзар деш? — боху аша. — Юхадерзахьа хьайн батта чу, сацахьа, меттадолахьа“.</verse>
				<verse number="7">Амма иза муха соцур ду, нагахь шега Везачу Эло омра дича? Ашкхилун-гӀалина а, хӀордан йистана а, тӀелата омра дина Везачу Эло».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="48">
				<verse number="1">Муаби-махках лаьцна Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: «Декъаза ю Набу-гӀала, иза дакъазаяьккхина хир йолу дела. Кхиръятим, юьхьӀаьржачу а хӀоттийна, схьалаьцна хир ю. Цуьнан гӀап, юьхьӀаьржачу а хӀоттийна, йохийна хир ю.</verse>
				<verse number="2">Муабин къоман кхин сийлалла хир дац. Хьешбонехь цунна дуьхьалдаккха зулам кечдеш бу: „Дуьйло, хӀаллакдийр ду вай и къам“, — бохуш. Хьо а, Мадмон-гӀала, дӀатийна хир ю, тур хьуна тӀаьхьадаьлла лелар ду.</verse>
				<verse number="3">Хьоронайм-гӀаларчу наха маьхьарий детта: „Мел бохам бина! Мел чӀогӀа йохийна!“</verse>
				<verse number="4">Муабин къам хӀаллакдина ду. Цуьнан бераш чӀогӀа доьлхуш ду.</verse>
				<verse number="5">Лухьайте хьалаболучу новкъахь адамаш ца совцуш доьлхуш ду. Хьоронайм тӀера боьдучу новкъахь гӀайгӀане маьхьарий ду хезаш мостагӀаша дохор бахьана долуш.</verse>
				<verse number="6">Довдалаш, кӀелхьардаккхалаш шайн дахар! Яьссачу аренгахь йолчу куллах тарлолаш.</verse>
				<verse number="7">Шайн корматаллех а, шайн бахамах а тешна шу Ӏийна дела, йийсаре кхочур ду шу. Шун дела волу Камош а гӀур ву йийсаре, шеца динан дай а, элий а буьгуш.</verse>
				<verse number="8">ХӀора гӀали чу хӀаллакдеш верг вогӀур ву, цу гӀаланех цхьа а йоха ца еш а юьсур яц. ТогӀеш а хӀаллакьхир ю, шера аренаш а яссалур ю. Дерриг а Везачу Эло ма-аллара хир ду.</verse>
				<verse number="9">Муабин къомана тӀемаш лойша, иза, тӀема а баьлла, дӀабахийта. Цуьнан гӀаланаш яссалур ю, хӀунда аьлча цу чохь Ӏен стаг хир вац».</verse>
				<verse number="10">(НеӀалт хир ду Везачу Элан лаам ледара кхочушбечунна! Иштта неӀалт хир ду шен туьре цӀий ца Ӏанадойтучунна а.)</verse>
				<verse number="11">Везачу Эло элира: «Муабин къам массо а хенахь паргӀат дара, йийсарехь а иза ца хиллера. Иза, чагӀар санна, хьаьъна лаьтташ дара, цхьана кеда чуьра вукху кеда чу а ца дуттуш. Цундела цуьнан чам а хьалхалера бара, цуьнан хьожа а хьалхалерниг яра.</verse>
				<verse number="12">Делахь а, кестта тӀейогӀур ю цхьа зама, — боху Везачу Эло, — Аса чагӀар дуттурш боуьйтур йолу. Ткъа цара Муабин къам, чагӀар санна, охьаӀанор ду. Цуьнан кедаш цара дассор ду, ткъа кхабанаш, кескаш яьхна, йохор ю.</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха Муабин халкъ юьхьӀаьржачу хӀуттур ду Камош бахьана долуш, Исраилан тӀаьхье, Бетал-гӀалахь болчу цӀуйх а тешна, юьхьӀаьржачу хӀоттаре терра.</verse>
				<verse number="14">Шуьга муха алалур ду: „Тхо турпалхой ду, тӀом бан ницкъболу адамаш ду тхо“?</verse>
				<verse number="15">Бассалуш бу Муаби-мохк, цуьнан гӀаланаш а ю йогуш, цуьнан тоьлла кӀентий а бу хӀаллакьхуьлуш, — боху Шен цӀе массо а ницкъийн Веза Эла йолчу Паччахьо. —</verse>
				<verse number="16">ТӀекхочуш ду Муабин къам хӀаллакьхилар, бохам цунна тӀекхача сихбелла.</verse>
				<verse number="17">Тийжар хӀоттаде цу къоман дуьхьа, цунна гонах мел Ӏаш долчу къаьмнаша а, цуьнан цӀе евзаш мел долчу халкъаша а. Ала: „Маржа-яӀ! Нуьцкъала къам дӀадаьлла, цуьнан сийлалла хӀинца дайна лаьтта“.</verse>
				<verse number="18">Дибонахь дехаш дерш, охьадисса шайн сийлаллин лакхенгара, лаьттарчу чена юккъе охьаховша. Муаби-мохк хӀаллакбийриг хьуна тӀелета, ткъа Цо шун массо а гӀепаш йохор ю.</verse>
				<verse number="19">ӀаруӀерахь дехаш долу адамаш, некъа йисте дӀа а хӀиттий, хьовса. ДӀауьдуш болчу божаршка а, кӀелхьарбовлуш болчу зударшка а хаттар де: „ХӀун хилла шуна?“</verse>
				<verse number="20">ЮьхьӀаьржачу хӀоьттина Муабин къам, хӀунда аьлча иза дохийна. Мохь бетташ, белхар де, Арнон-хин йистехула дӀахаийта Муабин къам хӀаллакдина хилар.</verse>
				<verse number="21">ТаӀзар дина шерачу аренашкахь йолчу гӀаланашна: Хьулон-гӀалина а, ЯхӀац-гӀалина а, МейпаӀат-гӀалина а,</verse>
				<verse number="22">иштта Дибон-гӀалина, Набу-гӀалина, Байт-Диблатаймна,</verse>
				<verse number="23">Кхиръятимна, Байт-Гамулна, Байт-МаӀунна,</verse>
				<verse number="24">Кхиръют-гӀалина, Бацарна — ерриг а Муаби-махкарчу уллорачу а, генарчу а гӀаланашна.</verse>
				<verse number="25">Муаби-мехкан ницкъ дӀабаьккхина, цуьнан куьг кагдина, — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="26">Вахон малар мала Муабин къомо, хӀунда аьлча ша Везачу Элал а лекха хетара цунна. Иза шен Ӏетторашна юкъахь керчар ду, шех нах а бийлош.</verse>
				<verse number="27">Хьо Исраилан къомах доьлуш дара, Муабин къам? Иза къола деш лаьцна дара, цуьнан цӀе йоккхушехь, дела а доьлуш, корта лесттол?</verse>
				<verse number="28">Йита гӀаланаш, муабахой, тархашна юкъахь даха ховша. Хьеха чу воьдийла йолчохь шайн бенаш а дина, Ӏаш долу кхокхий санна хила.</verse>
				<verse number="29">Тхуна хезна Муабин кураллех лаьцна. Цуьнан куралла йоккха ю! Цо ша даздо, деза детта, шех дозалла до, ткъа цуьнан дог кураллех дуьзна ду.</verse>
				<verse number="30">Суна девза цуьнан дозалла дар, — боху Везачу Эло, — ткъа иза эрна ду. Цо мел дийриг лаьттар дац.</verse>
				<verse number="31">Со а ву Муаби бахьана долуш воьлхуш, цуьнан хӀора вахархочунна тийжаш ву Со. Кхир-Хьарасан бахархошна Со воьлхуш ву.</verse>
				<verse number="32">Со ЯӀзирерачу бахархошца цхьаьна тийжаш ву Сибмерачу кемсийн бошмех лаьцна. Ва кемсийн бошмаш, шун таьллангаш ЯӀзир-гӀалина уллорачу хӀордана тӀе кхаччалц Ӏохкуш яра. Ткъа хӀинца хӀаллакдийриг аш кхиийначу кемсашна тӀелетира.</verse>
				<verse number="33">Ирс а, синкъерам а дӀабаьлла Кармалахь а, Муаби-махкахь а. Ас совцийна муттдоккхургана чуьра охьаоьхуш йолу чагӀаран Ӏовраш, кхин хьошур яц кемсаш, самукъадаларца маьхьарий а детташ. Маьхьарий деттар ду, амма уьш синкъераме маьхьарий хир дац.</verse>
				<verse number="34">Доьлхуш ду Хьешбонера а, ЭлиӀалера а адам, церан белхар ЯхӀац-гӀала кхаччалц дӀахезаш ду, иштта ЦӀоӀар-гӀала дуьйна Хьоронайм-гӀала а, ӀагӀлат-Шалши а дӀахезаш ду иза. Нимраймара хи а дӀасецна.</verse>
				<verse number="35">Ас сацор ду, — боху Везачу Эло, — муабахоша шайн дезачу гунаш тӀехь сагӀанаш дахар а, шайн деланашна хаза хьожа йогӀу хӀума ягор а.</verse>
				<verse number="36">Иштта сан дог, шедаг санна, Муаби-къомах тийжаш ду. Сан дог Кхир-Хьарасан бахархошна доьлхуш ду, хӀунда аьлча церан массо а бахам хӀаллакьхилла.</verse>
				<verse number="37">ХӀораннан корта баьшна бу, маж а яцъелла, массеран а куьйгаш хедийна, массарна а тӀехь сингаттаман бедарш ю.</verse>
				<verse number="38">Муаби-махкарчу цӀенойн хӀора тхевнна тӀехь а, цуьнан майданашкахь а лаьтташ белхар ду, хӀунда аьлча Ас иза, ца оьшуш йолу пхьегӀа санна, хӀаллакбина, — боху Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="39">Ма хӀаллакьхилла Муабин къам! Ма тийжаш ду иза! ЮьхьӀаьржачу а хӀоьттина, шен букъ берзийна цо! Массо а цунах кхаьрдар бу, ткъа цунна гонах мел долу къаьмнаш кхералур ду, цунна хилларг а гина».</verse>
				<verse number="40">Иштта боху Везачу Эло: «Хьажал! Стигалара тӀееанчу аьрзуно санна, мостагӀаша шайн тӀемаш дӀасадохуьйтур ду Муаби-махкана тӀехула.</verse>
				<verse number="41">Цуьнан гӀаланаш а, гӀепаш а схьайохур ю, хӀора муабахочун дог цу дийнахь берах хьийзочу зудчун санна хир ду.</verse>
				<verse number="42">Муабахой хӀаллакбийр бу, уьш кхин къам хир дац, хӀунда аьлча ша Везачу Элал а лекха хетара цунна.</verse>
				<verse number="43">Ӏадор а, ор а, гур а хир бу шуна, Муаби-мехкан бахархой, — боху Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="44">Ӏадорах веддарг ор чу эккхар ву, ткъа ор чуьра хьалаваьлларг гуро лоцур ву, хӀунда аьлча Ас Муаби-махкана тӀе таӀзаран денош далор ду, — боху Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="45">Хьешбон-гӀалин пенийн ӀиндагӀехь бевдда боьлхурш гӀо доцуш лаьтта, хӀунда аьлча Хьешбонера цӀе елира, ткъа Сихьон-паччахьан гӀалара алу марсаяьккхира. Цу цӀеро муабахойн бӀаьштигаш ягайо, оцу гӀовгӀа ечеран туьтанех цӀе летира.</verse>
				<verse number="46">Къа ду хьан, Муабин къам! Камош-харцделан халкъ, хьо хӀаллакьхилла! Хьан кӀентий кхечу махка дӀабигина бу, ткъа хьан зудабераш йийсаре дӀадигина ду.</verse>
				<verse number="47">Амма тӀаьххьарчу деношкахь Аса Муабин къоман аьтто юхаметтахӀоттор бу», — боху Везачу Эло. Муабина тӀехь кхел ярх лаьцна хааман чаккхе кхузахь ю.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="49">
				<verse number="1">Ӏамминан къомах лаьцна Везачу Эло иштта боху: «Бераш дац ткъа Исраилан халкъан? Цуьнан долахь дерг кхочун верг вац ткъа? ТӀаккха МилкӀом-харцделан къомо гадахойн мохк хӀунда дӀалаьцна? Оцу къоман нах гадахойн гӀаланашкахь хӀунда бу Ӏаш?</verse>
				<verse number="2">Зама тӀекхочур ю, — боху Везачу Эло, — Ӏаммин-махкарчу Рабба-гӀалин нахана Аса тӀеман орца даккхар хозуьйтуш йолу. Оцу гӀаланах къапалгийн барз хир бу, цунна гонах йолу ярташ а цӀерца хӀаллакйийр ю. Цара исраилхой шайн гӀаланашкара дӀабахийтира, амма исраилхоша Ӏамминхой цигара дӀалохкур бу, — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="3">Делха, Хьешбонан бахархой: хӀаллакйина ГӀай-гӀала. Тийжа, Рабба-гӀалин зударий, шайна тӀе сингаттаман бедарш а юхий. Белхарца шайн гӀалин пенашна юккъехь дӀасауьдуш хила, хӀунда аьлча мостагӀчо МилкӀом йийсаре дӀавуьгур ву, цуьнан динан дайшца а, элашца а цхьаьна.</verse>
				<verse number="4">ХӀунда до аша шайн тогӀех дозаллаш, уьш токхе ю а бохуш? Ва тешаме доцу къам, хьайн хьолах тешна а Ӏаш, хьуна моьтту, хьуна тӀелата цхьа а ваьхьар вац.</verse>
				<verse number="5">Амма Ас массо а хьан маьӀӀера хьуна тӀе къемат доуьйтур ду, — боху массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло, — тӀаккха шу дӀадовдур ду, цхьаммо а шу юха цхьаьна схьа а гулдийр дац.</verse>
				<verse number="6">Амма тӀаьхьа Аса Ӏамминхойн аьтто юхаметтахӀоттор бу», — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="7">Эдоман къомах лаьцна иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Кхин хьекъалалла ца дисина те Теман-гӀалахь? Хьехам кхин ца бало те кхетам болчаьрга? ДӀадаьлла те церан хьекъал?</verse>
				<verse number="8">Дадданан бахархой, бовдий, дӀагӀо кхузара, хьехаш чохь дӀаловчкъа, хӀунда аьлча Ӏесаван тӀаьхьенна бохам бийр бу Ас. Цунна таӀзар даран хан схьакхаьчна.</verse>
				<verse number="9">Нагахь санна кемсаш схьагулйийраш хьо волчу багӀахь, таьллангаш тӀехь цара масех кемс схьаяккхаза юьтур яц те? Нагахь буьйсанна къуй багӀахь, шайна луъург бен цара ца лачкъайо те?</verse>
				<verse number="10">Амма Аса Ӏесаван тӀаьхьенан мел долу хӀума схьадоккхур ду, Ас гучуйохур ю церан дӀалечкъийлаш, кхин уьш къайла ца бовлуьйтуш. Церан бераш а, гергарнаш а, уллоранаш а байина дӀабохур бу. Эдоман тӀаьхьенах цхьа а вуьтур вац.</verse>
				<verse number="11">Дита хьайн бобераш, Ас дола дийр ду церан. Хьан бисина Ӏаш болу зударий а Сох тешна Ӏан мегар ду».</verse>
				<verse number="12">Иштта боху Везачу Эло: «Нагахь таӀзаран кад мала декхарийлахь боцучара иза мала дезча, таӀзар даза хьо хӀунда дита деза, Эдоман къам? Хьо таӀзар доцуш дуьсур ма дац — ахь а таӀзаран кад мер бу!</verse>
				<verse number="13">Аса Сайх чӀагӀо йо, — боху Везачу Эло, — Бацар-гӀала йохийна хилла дӀахӀуттур ю аьлла. Цунах къемат а, кхардам а, яссийнарг а хир ю, ткъа наха, цуьнан цӀе а йоккхуш, неӀалташ эр ду. Цунна гонах мел йолу ярташ массо а ханна яссийна хир ю».</verse>
				<verse number="14">Везачу Элера болу хаам хезна суна, и хаам бахьаш геланча а ваийтина халкъашна тӀе: «Шайн эскарш схьа а гулдай, Эдомна тӀамца чугӀорта.</verse>
				<verse number="15">Ас халкъашна юкъахь жима дийр ду хьо, ткъа адамашна юкъахь хьо дегаза хетар ду.</verse>
				<verse number="16">Кхидолчу къаьмнашна кхерам тийсарх а, хьайн деган кураллах а хьо Ӏеха ма делла. Тархийн чӀажашкахь а, лаьмнийн баххьашна тӀехь а хьо Ӏаш ду, амма хьан цӀенош аьрзунийн бенашка кхоччуш лекха хилча а, цигара дӀа а хьо охьадуссуьйтур дара Аса», — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="17">«Эдом-махках нах кхаьрдар бу. Цигахула мел волучо, инзар а ваьлла, шок еттар ю, цунна мел бина бохамаш шайна гича.</verse>
				<verse number="18">Седам-гӀала а, Ӏамор-гӀала а, царна гонахара гӀаланаш а йохийна дӀаяьхначул тӀаьхьа ма-хиллара, — боху Везачу Эло, — иштта цхьа а стаг кхин хир вац Эдом-махкахь, цхьа а адам цигахь соцур а дац.</verse>
				<verse number="19">Йордан-хин йистерачу боьлакаш юккъера лом токхечу дежийлашка схьадалар санна, Со схьавогӀур а ву, цӀеххьана эдомхой шайн махкара дӀабовдуьйтур а бу. ТӀаккха Сайна луъург а оцу махкана тӀехӀоттор ву Аса. Сох мила тарлур ву? Соьгара жоп деха мила ву? Муьлха жаӀу валалур ву Суна дуьхьал?</verse>
				<verse number="20">ЛадогӀал Везачу Эло Эдоман бахархошна дан леринчуьнга, иштта Теман-гӀалин бахархошца Цо дан леринчуьнга а. Ас чӀагӀо йо, жа санна долчу Эдоман къома чуьра къонахий дӀакхоьхьур бу аьлла. Ас чӀагӀо йо, церан латта Аса хӀаллакдийр ду аьлла, цара мел лелийнарг бахьана долуш.</verse>
				<verse number="21">Эдом южуш яьллачу гӀовгӀано латта дегор ду. Цигара девлла маьхьарий Эрзийн хӀорд болчу кхаччалц дӀахезаш хир ду.</verse>
				<verse number="22">Хьажал, хьала а даьлла, стигалара тӀедеанчу аьрзуно санна, мостагӀаша шайн тӀемаш дӀасадохуьйтур ду Бацар-гӀалина тӀехула. Эдомхойн тӀемалойн дегнаш оцу дийнахь берах хьийзочу зудчун санна хир ду».</verse>
				<verse number="23">Везачу Элера хӀара хаам Дамасакхах лаьцна бу: «ЮьхьӀаьржачу хӀоьттина Хьамат-гӀала а, Арпад-гӀала а, хӀунда аьлча цаьрга вон хаам кхаьчна. ХӀорд санна, оцу шиннан дегнаш хьийзаш ду, гӀайгӀанехь хиларна церан синтем а бац.</verse>
				<verse number="24">Дамасакх-гӀалин бахархой, дог а доьхна, юха а бирзина, бевдда дӀабаха кийча бу. Къемат тесна церан дегнашка, гӀайгӀано а, лазаро а уьш дӀалаьцна. Цаьргахь, берах хьийзочу зудчуьнгахь санна, лазарш ду.</verse>
				<verse number="25">Сан сакъералуш хиллачу, гӀараяьллачу гӀалара нах дӀа хӀунда ца бевдда?</verse>
				<verse number="26">Цигарчу майданашкахь а, урамашкахь а къона нах охьаоьгур бу, массо а тӀемалой а хӀаллакьхир бу цу дийнахь, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="27">Ас цӀе тосур ю Дамасакхан пенех, ткъа оцу цӀеро Бен-Хьадид-паччахьан гӀепаш дӀакхоллур ю».</verse>
				<verse number="28">Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара эшийначу Къедаран тукхамах а, Хьацоран пачхьалкхех а лаьцна Везачу Эло боху: «Къедаран тӀаьхьенна тӀамца тӀегӀорта, хӀаллакдай, дӀадаккха малхбалехьара долу халкъ.</verse>
				<verse number="29">Церан четарш а, жаш а схьадохур ду, церан четарийн шаршуш а, церан бахам а, церан эмкалш а мостагӀаша дӀахьур ю. Наха цаьрга мохь хьоькхур бу: „Массо а агӀор къемат ду шуна тӀегӀерташ!“</verse>
				<verse number="30">ДӀадовда, сихха дӀагӀо кхузара, Хьацоран бахархой, бердашна юкъахь дӀаловчкъа, — боху Везачу Эло. — Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара шуна тӀелата сацам бина. Шу муха дуьхьалдевр ду цунна, хӀара ойла йина.</verse>
				<verse number="31">„ХьалагӀовтта, машарехь Ӏаш долчу, цхьана а хӀуманна гӀайгӀа а ца беш Ӏаш долчу халкъана тӀелата, — боху Везачу Эло. — Я неӀарш а, я гӀораш а цуьнан гӀаланийн дац, уьш цхьацца а бевлла Ӏаш бу“.</verse>
				<verse number="32">МостагӀаша церан эмкалш дӀайохур ю, церан даьхний дӀалачкъор ду. И шайн гиччош тӀера месаш лоргуш болу нах Ас массо а маьӀӀехула дӀасабаржор бу, массо а маьӀӀера царна тӀе бохам хьажор бу Аса, — боху Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="33">Хьацор иштта чангӀалкхийн бен хилла дӀахӀуттур ю, массо а ханна яьсса аре а хилла. Адам цигахь цкъа а дехар а дац, цхьа а стаг цигахь соцур а вац».</verse>
				<verse number="34">ЯхӀудхойн паччахь волчу ЦӀадукъ-ЯхӀун олаллин дуьххьарчу заманахь Ярми-ЯхӀу-пайхамаре Везачу Элера хаам кхечира. Иза Ӏейламан бахархойх лаьцна бара.</verse>
				<verse number="35">Массо а ницкъийн Везачу Эло бохура: «Ас Ӏейламан секхаӀадкхоссархой хӀаллакбийр бу, оцу къоман уггар боккха болу ницкъ.</verse>
				<verse number="36">Ас Ӏейламана тӀе иштта стигалан еа маьӀӀера биъ мох тӀехьажор бу. Иштта массо а меттехула дӀасабаржор бу Ас уьш. Дуьнен чохь цхьа а къам хир дац Ӏейламхой тӀе ца дуссуш.</verse>
				<verse number="37">Церан мостагӀех а, уьш хӀаллакбан лоьхуш болчарах а кхерор бу Ас Ӏейламхой. Ас царна бохам боккхур бу, иштта Сан чӀогӀа дералла царна тӀе а ерзор ю, — боху Везачу Эло. — Ас Сайн тур царна тӀехьажор ду, уьш берриш а хӀаллакбина дӀабаххалц.</verse>
				<verse number="38">Церан паччахь а, берриг а баьччанаш а хӀаллак а бина, Ас Сайн паччахьан гӀант дӀахӀоттор ду Ӏейлам-махкахь, — боху Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="39">Амма тӀаьххьарчу деношкахь Аса Ӏейламан къоман аьтто юхаметтахӀоттор бу», — боху Везачу Эло.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="50">
				<verse number="1">Везачу Эло Ярми-ЯхӀу-пайхамарехула хашадхойн мохк болчу Бавелах лаьцна бина хаам хӀара бу:</verse>
				<verse number="2">«Массо а халкъашка дӀахаийта, байракх хьала а айъаяй, къайла а ца доккхуш, дӀадийца: „Бавел-гӀала схьаяьккхина, Вел-харцдела юьхьӀаьржачу хӀоьттина, Мардух-харцдела дог доьхна ву, Бавелан суьрташ юьхьӀаьржачу хӀиттина, цуьнан цӀуш дог доьхна а бу“.</verse>
				<verse number="3">Къилбаседера къам Бавел-махкана тӀегӀертар ду, цунах яьсса аре а йина, дӀа а хӀоттош. Цигахь вехаш цхьа а хир вац: адамаш а, дийнаташ а цигара дӀагӀур ду».</verse>
				<verse number="4">«Оцу деношкахь, и хан тӀекхаьчча, — боху Везачу Эло, — Исраилан къам а, ЯхӀудан къам а, цхьаьна доьлхуш лелар ду, шайн Веза Дела а лохуш.</verse>
				<verse number="5">Цара Цийон-ломана тӀе боьдуш болу некъ хоьттур бу, цу агӀор дӀа а хьоьжуш, уьш цига гӀур бу. Схьа а баьхкина, массо а ханна болу, цкъа а бицлур боцу барт а беш, шаьш Везачу Элаца боьхкур бу цара.</verse>
				<verse number="6">Сан къам, тиладелла лелаш долу уьстагӀий санна, дара. Церан Ӏуша, нийсачу новкъа тӀера дӀа а даьхна, лаьмнаш юккъехула дӀасалаьхкинера уьш. Лам тӀера гунна тӀе довлуш, шайн Ӏаш йолу меттиг а йицйина, дӀасалелара уьш.</verse>
				<verse number="7">Сан халкъана дуьхьал мел кхеттарг, царна вонаш деш вара. Церан мостагӀаша бохура: „Тхо бехке дац, хӀунда аьлча цара Везачу Элана дуьхьал къинош летийна. Веза Эла церан бакъйолу Ӏаш йолу меттиг ю, ткъа Цунах церан дай тешна Ӏаш бара“.</verse>
				<verse number="8">ДӀагӀо Бавелера, бита хашадхойн мохк, жена хьалха яьлла йоьду бож санна хилий, дӀахӀотта.</verse>
				<verse number="9">Ас къилбаседехьара Бавелна тӀе дуккха а даккхий къаьмнаш далор ду. Уьш цунна дуьххьал дӀахӀуьттур ду, ткъа Бавел цара схьайоккхур ю. МостагӀийн пхерчий дика тӀемалой санна ду, тӀам тӀера даьссачу куьйгашца юха ца боьрзуш болу.</verse>
				<verse number="10">Хашадхойн берриг а махкахула хӀонс схьаоьцур ю, ткъа махкана къола деш берш хӀонсах Ӏаьбна хир бу», — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="11">«Шу, сакъералуш, ирсе лелаш дара, Сан латта дӀалацарна. КӀа оруш долу дуьхьарг санна, сакъералуш а, кхиссалуш а дара шу, тӀемалойн говраш санна, терсаш дара шу.</verse>
				<verse number="12">Амма хӀинца шун нана юьхьӀаьржачу хӀуттур ю, шу дина болчу Бавел-махкана эхь хетар ду. Кхечу къаьмнашна юкъахь Бавел уггар кӀезигниг хир ду. Бавел-мохк яьсса аре а, декъа латта а хир ду.</verse>
				<verse number="13">Везачу Элан оьгӀазло бахьана долуш, цхьа а стаг Бавелехь вехаш хир вац, ерриг а и меттиг яссалур ю. ГӀалина уллохула тӀех мел волучо, инзар а ваьлла, шок еттар ю, цунна мел бина бохамаш шена гича.</verse>
				<verse number="14">Бавелна го а бай, тӀамана кечло. СекхаӀедаш кхуьссурш, гӀалехьа дӀахеца шайн пхерчий, уьш кхоа а ма де, хӀунда аьлча цо Везачу Элана дуьхьал къа латийна.</verse>
				<verse number="15">ТӀеман маьхьарий детташ, цунна го бай, дӀахӀитта. Тахана ша мостагӀийн кара дӀаелла Бавел-гӀалано, йохийна цуьнан бӀаьвнаш, цуьнан пенаш охьаэгна. Веза Эла волчу Аса цунна бекхам беш хиларна, аша а бекхам бе цунна. Цо кхечу къаьмнашна тӀехь деш дерг аша а де цунна тӀехь.</verse>
				<verse number="16">ХӀаллакве Бавел-махкахь латта дӀадуьйш верг а, ялта схьагулдечу хенахь карахь марс берг а. МостагӀийн туьрах кӀелхьарвалархьама, кхечу къомах верг хӀорра а шен къам долчу юхаверза веза, хӀорра а шен махка ведда дӀаваха веза».</verse>
				<verse number="17">«Исраилан къам, лоьмех дедда долу жа санна ду, массо а маьӀӀехула дӀасадаьржина долу. Цкъа-делахь, Ашур-махкарчу паччахьо иза дӀакхаьллина, тӀаьхьара Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара цуьнан даьӀахкаш аьтта».</verse>
				<verse number="18">Цундела Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Аса кестта таӀзар дийр ду Бавелан паччахьна а, цуьнан махкана а, Ашур-мехкан паччахьна таӀзар ма-дарра.</verse>
				<verse number="19">Ас юхадерзор ду Исраилан къам шен дежийле: иза децаш лелар ду Кармал-лам болчохь а, Башан-махкахь а, ткъа ша Эпрайм-лам тӀехь а, ГалӀадехь а дузур ду.</verse>
				<verse number="20">Цу заманахь, и хан тӀекхаьчча, — боху Везачу Эло, — Исраилан къомана юкъахь къинош лоьхур ду, амма уьш хир дац, ЯхӀудан къомана юкъахь зуламаш лоьхур ду, амма уьш а карор дац, хӀунда аьлча Айса дийна битинчеран къиношна гечдийр ду Аса».</verse>
				<verse number="21">«ТӀелата Мератайман лаьттана а, Пакхудан бахархошна а. Царна тӀаьхьа а бевлла, уьш кхоччуш хӀаллакбе, — боху Везачу Эло. — Аса шайна тӀе мел диллинарг де.</verse>
				<verse number="22">ТӀеман а, боккхачу бохаман а гӀовгӀа ю массо а махкахула схьахезаш ерг.</verse>
				<verse number="23">Ма йохийна, кагйина дӀаяьккхина-кх дуьненан варзап йолу Бавел! Ма инзардевли-кх халкъаш Бавелна динчунна!</verse>
				<verse number="24">Ас гураш доьгӀнера хьуна, Бавел, хӀинца, хьайна а ца хууш, хьо цара дӀалаьцна. Веза Эла волчу Суна хьо дуьхьал яьллера, цундела хьо, кара а йина, дӀалаьцна.</verse>
				<verse number="25">Везачу Эло Шен дӀадуьллийла йолчуьра оьгӀазаллин герзаш схьаэцна, хӀунда аьлча массо а ницкъийн Хьалдолчу Элан дан дезаш гӀуллакхаш ду хашадхойн лаьтта тӀехь.</verse>
				<verse number="26">Массо а маьӀӀера Бавелна тӀе гӀорта! НеӀарш а кегъеш, схьаелла церан ялта Ӏалашдо меттигаш! Бавелах хоттан саьлнаш е! Массо а хӀума, буха ца дуьтуш, дохадай, дӀадаккха.</verse>
				<verse number="27">Массо а тӀемалой, байий, дӀабаха! Стерчий санна, байархьама дӀабига уьш! Къа ду церан! Царна таӀзар дан деза де тӀекхаьчна».</verse>
				<verse number="28">(КӀелхьардовлархьама Бавел-махкара дӀаидинчу адамаша бохучуьнга ладогӀа! Цийон-лам тӀе схьа а баьхкина, цара дуьйцу вайн Везачу Дала динчух лаьцна. Шен дезачу цӀенна динчунна Цо бекхам барх лаьцна дуьйцу цара.)</verse>
				<verse number="29">«Бавел-гӀалина тӀелата схьакхайкха массо а секхаӀад карахь долчаьрга. Схьаваийта хӀора секхаӀад дула хууш верг. ГӀалина го бе, цигара цхьа а ведда кӀелхьар ца валийта. Цо шена леххнарг де цунна, кхечу къаьмнашна цо диннарг а дайта, хӀунда аьлча дозалла а деш, Бавелан къам дуьхьалдаьлла Везачу Элана, Исраилан къоман Везаниг волчу!</verse>
				<verse number="30">Кегий нах хӀаллакьхир бу цуьнан урамашкахь, ткъа оцу дийнахь цуьнан берриг а тӀемалой а бойур бу», — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="31">«Хьо чӀогӀа кура ду, Бавелан къам, цундела Со хьуна дуьхьалваьлла, — боху массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло. — ТӀекхаьчна хьуна таӀзар дан деза хан.</verse>
				<verse number="32">Ког а тасабелла, охьакхетар ю кура Бавел, хьалагӀатта цунна цхьаммо а гӀо а дийр дац. Ас цуьнан гӀаланех цӀе латор ю, цу цӀеро гонах массо а хӀума дагийна дӀадоккхур ду».</verse>
				<verse number="33">Массо а ницкъийн Везачу Эло боху: «Йийсарехь болчу исраилхошна а, яхӀудхошна а гӀело йо. Уьш дӀабигна массара а дӀалаьцна латтош бу, ткъа царна уьш схьахеца а ца лаьа.</verse>
				<verse number="34">Амма уьш ПаргӀатбохург чӀогӀа ницкъ болуш ву, ткъа Цуьнан цӀе массо а ницкъийн Веза Эла ю. Церан гӀуллакх Цо леррина къастор ду, дуьненна синтем а луш, ткъа Бавелан бахархошна гӀайгӀа а кхуллуш».</verse>
				<verse number="35">Везачу Эло боху: «Тур тоха хашадхошна! Тур тоха Бавелехь бехаш болчарна, церан баьччанашна а, хьекъалчашна а!</verse>
				<verse number="36">Тур тоха церан динан дайшна, уьш кхетамчуьра а бохуш. Тур тоха церан тӀемалошна, уьш къематах а бузуш.</verse>
				<verse number="37">Тур тоха церан говрашна а, гӀудалкхашна а, шайна юкъахь болчу тӀелаьцначу тӀемалошна а, уьш, зударий санна, кхоьруьйтуш. Тур тоха церан хазнашна, уьш хӀонс санна дӀаса а йохуьйтуш.</verse>
				<verse number="38">Йокъа хӀоттае Бавеларчу хишна тӀе, уьш долу меттигаш якъа а еш, хӀунда аьлча Бавел — цӀуйн мохк бу, ткъа оцу дегазчу цӀуша уьш хьерабоху.</verse>
				<verse number="39">Яьссачу аренийн акхарой а, чангӀалкхаш а Бавелехь ехар ю, иштта бухӀанаш а хир ю кху лаьтта тӀехь ехаш. Адамаш цигахь цкъа а дехар дац, массо а тӀейогӀучу тӀаьхьенашна цкъа а стаг цигахь Ӏаш хир вац.</verse>
				<verse number="40">Везачу Эло Седам-гӀала а, Ӏамор-гӀала а, царна гонах йолу ярташ а йохийна дӀаяхаре терра, — боху Везачу Эло, — иштта Бавелаца хир ду. Цигахь цхьа а адам дехаш хир дац, цхьа а стаг цигахь кхин соцур вац.</verse>
				<verse number="41">Хьовсал, къилбаседехьара тӀедогӀуш доккха эскар ду, дуьненан йистера тӀаме кечам беш ду доккха къам.</verse>
				<verse number="42">Церан карахь гоьмукъаш а, секхаӀедаш а ду, уьш къиза а, шайца къинхетам боцуш а бу. Уьш говрашкахь богӀучу хенахь, карзахбаьллачу хӀордах тера бу. Хьоьца тӀом бан кийча бу уьш. Церан Ӏалашо — хьуна тӀелатар ю, Бавел.</verse>
				<verse number="43">Царах лаьцна Бавелан паччахье хаам кхаьчча, цуьнан куьйгаш гӀелделла охьадахара. Берах хьийзош йолчу зудчуьнгахь санна, боккха бала бара цуьнгахь.</verse>
				<verse number="44">Йордан-хин йистерачу боьлакаш юккъера лом токхечу дежийлашка схьадалар санна, Со схьавогӀур а ву, цӀеххьана бавелхой шайн махкара дӀабовдуьйтур а бу. ТӀаккха Сайна луъург оцу махкана тӀехӀоттор ву Аса. Сох мила тарвалалур ву? Соьгара жоп деха мила ву? Муьлха жаӀу валалур вара Суна дуьхьал?</verse>
				<verse number="45">ЛадогӀал Веза Эла волчу Ас Бавел-гӀалин бахархошна дан леринчуьнга, иштта хашадхойн махкана Аса дан леринчуьнга а. Ас чӀагӀо йо, жа санна долчу Бавелан къома чуьра къонахой дӀакхоьхьур бу. Ас чӀагӀо йо, церан латта Аса хӀаллакдийр ду, цара мел лелийнарг бахьана долуш.</verse>
				<verse number="46">Бавел схьаяьккхина яьллачу гӀовгӀано латта дегор ду. Цигара девлла маьхьарий къаьмнашна юкъахь дӀахезаш хир ду».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="51">
				<verse number="1">Иштта боху Везачу Эло: «Ас Бавелна а, Лев-Кхамай-мехкан бахархошна а тӀе хӀаллакбо мох хьокхуьйтур бу.</verse>
				<verse number="2">Хийра нах Ас Бавелан къомана тӀегӀуртуьйтур бу. ИрхдугӀучу хенахь кегаш мохо дӀахьакхаре терра, цара бавелхойн мохк бассор бу. Цунна тӀе бохам бечу дийнахь массо а агӀор оцу махкана го бийр бу цара.</verse>
				<verse number="3">СекхаӀад кхуссучарна шайн Ӏад дула я шайн гӀаьгӀнаш тӀедуха хан ма ло. Бавелхойн кегий нах ма кхоабе! Дерриг а церан эскар, дохадай, хӀаллакде!</verse>
				<verse number="4">Хашадхойн лаьтта тӀехь Ӏохкур бу байинарш, чевнаш хилларш а цигарчу некъаш тӀехь Ӏохкур бу».</verse>
				<verse number="5">Шайн Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло Исраилан къам а, ЯхӀудан къам а, йисина Ӏаш йолу зуда санна, ца дитина, церан мохк Исраилан Везачунна дуьхьал летийначу къинойх дуьзна делахь а.</verse>
				<verse number="6">Довдий, дӀагӀо Бавелера, хӀораммо а шайн синош кӀелхьардаха, цуьнан къинош бахьана долуш хӀаллак ца хила. ХӀара зама Везачу Эло Бавелна бекхам бан лерина йолу зама ю, шайна доггӀург дӀало зама а ю.</verse>
				<verse number="7">Бавел Везачу Элан карахь дашо кад бара, дерриг а дуьне дахош болу. Къаьмнаша чагӀар молура цу кеда чуьра, ткъа цул тӀаьхьа, кхетам чуьра а довлий, лелара уьш.</verse>
				<verse number="8">Амма цӀеххьана буьйжира Бавел-мохк, хӀаллак а хилира иза. Делха и бахьана долуш, лаха цуьнан чевнашна молха: иза тобала а мега шуна.</verse>
				<verse number="9">«Тхо иза тобан гӀиртира, амма цунна дарба ца хилира. Бита иза, хӀора а вайн махка дӀагӀур ду вай, хӀунда аьлча цунна йина йолу кхел стигалшка хьалакхаччал ю, иза мархашна тӀе хьалаяллал ю».</verse>
				<verse number="10">Сан халкъо боху: «Везачу Эло нийсонца вай меттахӀиттийна, ткъа вай хӀинца, Цийон-лам тӀе а дахана, дӀадийца деза вайн Везачу Дала динарг».</verse>
				<verse number="11">Везачу Эло мадайхойн паччахьийн са карзахдаьккхина, хӀунда аьлча Иза Бавелан къам хӀаллакдан воллуш ву. Цу тайпана Цо бекхам бийр бу Бавелна, цара Шен дезачу цӀенна динарг бахьана долуш. ТӀеман хьаькамаша омра до: «Схьаэца шайн турсаш, ирде пхерчий!</verse>
				<verse number="12">Байракх хьалаайарца омра де Бавел-гӀалин пенашна тӀелата, гӀарол а чӀагӀде, массо а меттехь гӀаролхой дӀа а хӀиттош, мостагӀчунна кӀелонаш а кечъе!» Везачу Эло Бавелан бахархошна Ша дан леринарг дерриг а кхочушдийр ду.</verse>
				<verse number="13">Дукха хишна уллохь Ӏаш йолу а, шортта хазнаш йолу а Бавел-гӀала, хьан чаккхе тӀекхаьчна, хьан дахар дӀахеда хан тӀееана.</verse>
				<verse number="14">Массо а ницкъийн Везачу Эло Шех чӀагӀо йина: «Бавел, Ас хьуна чу, цӀоз санна, дукха адамаш хоьцур ду, хьуна тӀехь толам баккхарна цара маьхьарий а хьоькхур ду».</verse>
				<verse number="15">Шен нуьцкъалаллица Цо дуьне кхоьллина, Шен хьекъалаллица иза чӀагӀдина, Шен хьекъалца лаьтта тӀехула стигалш яржийна.</verse>
				<verse number="16">Цо къекъийтича, стигалан хиша гӀовгӀа йо. Дуьненан йистошкара Цо мархаш хьалаайайо. ДогӀанаш а догӀуш, Цо хаьштигаш туху, Шен чӀоьнашна чуьра мох а арабоккху.</verse>
				<verse number="17">ХӀора стаг сонта а, хьекъал доцуш а ву. ХӀора куьпчи ша винчу цӀуно юьхьӀаьржачу хӀоттаво. Цо лалийна суьрташ харцдерг бен дац, церан кийрахь Ӏаь а, са а дац.</verse>
				<verse number="18">Церан цхьа а тайпана мах бац, уьш беламна йина ю. Кхел ечу хенахь уьш тӀепаза йовр ю.</verse>
				<verse number="19">Амма Якъубан тӀаьхьенан Дела иштта вац, хӀунда аьлча Иза массо а хӀуманан Кхоллархо ву, ткъа Исраилан къам Цуьнан долахь дерг ду. Цуьнан цӀе — массо а ницкъийн Веза Эла ю.</verse>
				<verse number="20">Везачу Эло боху: «Бавел, хьо — Сан тӀеман диг ду, хьо — Сан тӀеман герз ду. Хьоьца Ас халкъаш а хьошура, хьоьца Ас пачхьалкхаш а хӀаллакйора.</verse>
				<verse number="21">Хьоьца Ас говр а, цунна тӀера бере а хьошура, хьоьца Ас гӀудалкх а, иза лоллуш верг а хьошура,</verse>
				<verse number="22">хьоьца Аса зуда а, стаг а хьошура, хьоьца Аса воккханиг а, жиманиг а хьошура, хьоьца Аса кӀант а, йоӀ а хьошура,</verse>
				<verse number="23">хьоьца Ас Ӏу а, жа а хьошура, хьоьца Ас ахархо а, сту а хьошура, хьоьца Ас мехкада а, куьйгалхо а хьошура».</verse>
				<verse number="24">«Ткъа хӀинца ЯхӀудхойн бӀаьргашна хьалха Ас дӀадоькхур ду Бавелан къомана а, хашадхойн махкахь мел бехаш болчарна а цара Цийон-лам тӀехь мел дина вон бахьана долуш, — боху Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="25">Со хьуна дуьхьалваьлла, Бавел! Хьо дерриг а дуьне хӀаллакдеш болу лам санна ю, цундела Ас хьуна тӀе Сайн куьг хьур ду, хьо терхеш тӀера лаьтта охьа а кхуссуш. Хьо багийна болу лам хир бу.</verse>
				<verse number="26">ЦӀийнан сонна я цӀийнан бухана хьох цхьа а тӀулг схьаоьцур бац. Хьо массо а ханна яссаелла дӀахӀуттур ю», — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="27">«ТӀеман байракх хьалаайае! Къаьмнашна юкъахь коьман маӀа лакха! Бавел-гӀалина тӀелата халкъаш кечде! Араратан а, Менин а, Ашкиназан а пачхьалкхаш цунна дуьхьал яха омра де. Царна массарна а тӀехь баьчча хӀоттаве, цӀоз санна дукха говраш а хилийта.</verse>
				<verse number="28">Бавелна дуьхьалдаха къаьмнаш кечде. Кечбе мадайхойн паччахьаш а, мехкадай а, куьйгалхой а. Кечде церан олаллехь долу дерриг а мехкаш.</verse>
				<verse number="29">Латта лесташ а, хьийзаш а ду, хӀунда аьлча Везачу Эло Бавелна дан леринарг кхочушхуьлуш ду. Цунна Бавел-махках чохь адам Ӏаш доцуш дассийна латта дан лаьа.</verse>
				<verse number="30">ТӀом бечуьра сецна Бавелан тӀемалой, уьш чӀагӀйинчу меттигашкахь сецна Ӏаш бу. Ницкъ дӀа а баьлла, уьш зударий санна хилла дӀахӀиттина. ГӀаланийн зайлаш бохийна дӀабаьхна, ткъа церан цӀенош догуш ду.</verse>
				<verse number="31">Цхьа геланча вукху геланчина тӀаьхьа а кхуьуш, Бавелан паччахье цуьнан гӀала массо а маьӀӀера дӀалаьцна лаьтташ ю аьлла, хаам эцна вогӀу.</verse>
				<verse number="32">Хиш тӀера массо а дехьаволийла дӀалаьцна лаьтташ ю, гонах йолу уьшалш йогуш ю, тӀемалой кхерамо Ӏадийна».</verse>
				<verse number="33">Иштта боху Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло: «КӀа ара кечъечу хенахь ког таӀош йолчу хьаьттарх тера ю Бавел. Жимма хан яьлча, ялта гулдан хан тӀекхочур ю».</verse>
				<verse number="34">«Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара тхо, дӀа а кхаьллина, дакъадаллалц хуьйдина. Цо тхо яьсса пхьегӀа санна дӀахӀиттийра. Саьрмико санна, цо тхо, дӀа а кхаьллина, тхан уггар дикачух шен кийра бузийра, ткъа йисинарг дӀакхоьссира.</verse>
				<verse number="35">Тхуна массарна а йинчу къизаллех Бавелан къам жоьпе озадойла, — боху Цийонан бахархоша. — Оха хьегна баланех хашадхойн мехкан бахархой жоьпе озабойла», — боху ярушалаймхоша.</verse>
				<verse number="36">Цундела Везачу Эло боху: «Ярушалаймхой, Аса нийсонца къастор ду шун гӀуллакх, ткъа шун мостагӀашна бекхам бийр бу. Аса Бавелан хиш схьадовлу меттигаш а, цуьнан хин шовданаш а дакъор ду.</verse>
				<verse number="37">Бавел тӀулгийн оьла хилла дӀахӀуттур ю, цунах чангӀалкхийн бен хир бу. Бавел гича, нах къемате а хир бу, шок еттарца цунах кхаьрдар бу. Цхьа а стаг цигахь вехаш хир вац.</verse>
				<verse number="38">Бавелан бахархой, лоьмаша санна, гӀигӀ деш лела. Церан гӀигӀ дар лоьман кӀорнин санна ду.</verse>
				<verse number="39">Уьш хьагбеллачу хенахь Аса царна той хӀоттор ду, уьш баххалц царна малор а ду, уьш дикка сакъералуш ханна тӀекхаччалц. Цул тӀаьхьа царна массо а ханна наб кхетар ю, уьш цкъа а сама ца бовлучу тайпана, — боху Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="40">Аса уьш сагӀа даккха кечдина Ӏахарий а, уьстагӀий а, гезарий а санна дӀахьур бу».</verse>
				<verse number="41">Везачу Эло боху: «Ма эшийна ю Шейшак! Ма дӀалаьцна ю дерриг а дуьнено хестийнарг! Ма хили-кх Бавел къемате сурт къаьмнашна юкъахь!</verse>
				<verse number="42">Бавелна тӀехула хӀорд баьржина, гӀергӀаш йолчу тулгӀенаша иза дӀахьулйина.</verse>
				<verse number="43">Цуьнан гӀаланаш яссаелла ю, цуьнан латта дакъаделла дӀахӀоьттина ду. Цигахь вехаш цхьа а вац, цхьа а стаг вер вац цу гӀаланашна чухула.</verse>
				<verse number="44">Ас Бавелехь таӀзар дийр ду Вел-харцдалла: цо дӀа мел кхаьллинарг Ас схьатосуьйтур ду. Иза волчу халкъаш кхин оьхур дац! Бавелан пенаш а охьаэгна ду.</verse>
				<verse number="45">Арадала Бавелера, Сан халкъ! ХӀораммо а шен са кӀелхьардаккха Везачу Элан чӀогӀачу оьгӀазлонах.</verse>
				<verse number="46">Дог доьхна а ма хила, кхера а ма кхера, махкахула шайна хабарш хезча. Цхьана шарахь цхьа хабар хезар ду шуна, вукху шарахь — важа хабар хезар ду. И хабарш махкахь къизалла ярх лаьцна хир ду, цхьана баьччано вукху баьччанна дуьхьалдаккхарх лаьцна а хир ду и хабарш.</verse>
				<verse number="47">Иштта тӀекхочуш ду Ас Бавелан цӀушна таӀзар дийр долу денош. Берриг а цуьнан мохк юьхьӀаьржачу хӀоттийна хир бу. Массо а махкахула байинчеран декъий Ӏохкуш хир ду.</verse>
				<verse number="48">Цул тӀаьхьа стигал а, латта а, царна тӀехь мел дерг а даккхийдеш хир ду Бавелна хилларг бахьана долуш, хӀунда аьлча къилбаседехьара хӀаллакдо эскарш тӀелетар ду, — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="49">Бавело исраилхой а, дерриг а дуьненан адамаш а хӀаллак-ма-дарра, цуьнан нах а хӀаллакбан беза».</verse>
				<verse number="50">«Туьрах кӀелхьардевлларш, шу Бавелера сихха, ца соьцуш, дӀадаха деза. Шаьш геннахь долуш, Веза Эла шайна дагаваийта, Ярушалайм а шайн даг чохь хилийта».</verse>
				<verse number="51">Аша боху: «Тхайна сий мел доцург хезча, тхуна чӀогӀа эхь хетара. Везачу Элан цӀийнан кертахь йолчу езачу меттигашна чу кхечу къаьмнех болу нах баьхкича, тхо чӀогӀа юьхьӀаьржачу хӀиттина дара».</verse>
				<verse number="52">Везачу Эло боху: «ТӀекхочуш ду Ас Бавелан цӀушна таӀзар дийр долу денош. Массанхьа а цуьнан лаьтта тӀехь чевнаш хилларш узарш деш хир бу.</verse>
				<verse number="53">Бавел стигала кхаччалц лакхаяьлла хилча а, цо цигахь шена яккхий чӀагӀонаш йина хилча а, Ас тӀаккха а цунна тӀе нах хьажор бара и гӀала йохаяйта», — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="54">Везачу Эло боху: «ЛадогӀа! Белхар ду Бавелера схьахезаш, йоккхачу йохоран гӀовгӀа хеза хашадхойн махкара.</verse>
				<verse number="55">Везачу Эло билггал йохор ю Бавел-гӀала, цунна чохь мел йолу гӀовгӀа дӀа а туьйш. Яккхий тулгӀенаш санна, мостагӀий цунна тӀегӀертар бу, церан буьрса маьхьарий дӀа а хозуьйтуш.</verse>
				<verse number="56">Бавел йохорхьама эскар цунна тӀегӀертар ду. Цуьнан тӀемалой йийсаре буьгур бу, кегдина хир ду церан секхаӀедаш. Веза Эла — бекхаман Дела ву, Цо кхоччуш бекхам бийр бу.</verse>
				<verse number="57">Ас малор ду церан баьччанашна а, хьекъалчашна а, мехкадайшна а, меттиган куьйгалхошна а, иштта церан тӀемалошна а. Царна массо а ханна, кхин сама а ца бовлуш, наб кхетар ю» — боху Шен цӀе массо а ницкъийн Веза Эла йолчу Паччахьо.</verse>
				<verse number="58">Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Бавелан стаммий пенаш баххаш тӀе кхаччалц дохор ду, цуьнан лекха кевнаш а цӀерца дагор ду. Халкъаша къахьегнарг эрна хир ду, къаьмнаша бина болх цӀеро багийна хир бу».</verse>
				<verse number="59">ЯхӀудхойн паччахь волчу ЦӀадукъ-ЯхӀус олалла до доьалгӀачу шарахь Сари-ЯхӀу цуьнца цхьаьна Бавеле вахара. Сари-ЯхӀу Махьси-ЯхӀун кӀентан Нери-ЯхӀун кӀант вара, ткъа иза паччахь Ӏаш волу меттигаш Ӏалашйийриг вара. Ярми-ЯхӀу-пайхамаро цуьнга цхьа хаам дӀабелира.</verse>
				<verse number="60">Ярми-ЯхӀус Бавелна тӀекхача безаш болчу бохамех лаьцна дерг а, Бавелах лаьцна кхин бина хаамаш а дерриг а тептар тӀе дӀаязбинера.</verse>
				<verse number="61">Сари-ЯхӀус Ярми-ЯхӀуга элира: «Хьожуш хилалахь: хьо Бавеле кхаьчначул тӀаьхьа хӀара дерриг а цигахь дӀадешалахь, иза массарна а дӀа а хозуьйтуш.</verse>
				<verse number="62">Цул тӀаьхьа ала: „Веза Эла! Ахьа хӀара меттиг хӀаллакйийр ю ма аьлла, кхузахь цхьа а стаг а, дийнат а кхин а ца Ӏойтуш, кхунах массо а ханна яссийна меттиг дӀа а хӀоттош“.</verse>
				<verse number="63">Хьо и тептар дӀадешна ваьлча, цунах тӀулг дӀа а бехкий, иза Эпрат-хина юккъе кхосса.</verse>
				<verse number="64">Изза Бавел-гӀалина а хир ду: иза кхин хьалагӀатталур йоцуш хи буха гӀур ю, Везачу Эло цунна тӀе бен болу бохам бахьана долуш». Цу тӀехь Ярми-ЯхӀун дешнаш чекхдовлу.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="52">
				<verse number="1">ЦӀадукъ-ЯхӀун ткъе цхьа шо дара, иза паччахь хилла дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цхьайтта шарахь паччахьалла дира цо. ЦӀадукъ-ЯхӀун ненан цӀе Хьамутал яра. Иза Либна-гӀалара Ярми-ЯхӀун йоӀ яра.</verse>
				<verse number="2">ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахьо а, шен дас ЯхӀу-Якхама санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора.</verse>
				<verse number="3">Делахь а Ярушалайм-гӀалин а, ЯхӀуд-мехкан а бахархой Шена уллора дӀататтал чӀогӀа оьгӀазваханера Веза Эла. Иштта ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахь Бавел-мехкан паччахьна дуьхьалвелира.</verse>
				<verse number="4">ЦӀадукъ-ЯхӀус паччахьалла до уьссалгӀа шо долуш, шеран уьтталгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь, Бавел-мехкан паччахь Набухди-Нецар, шен дерриг эскар а эцна, Ярушалаймана тӀамца тӀевахара. ГӀалина уллохь меттамотт дӀа а хӀоттийна, ерриг а гӀалина гонах гунаш дира цара, иза схьаяккха кечам бархьама.</verse>
				<verse number="5">ЦӀадукъ-ЯхӀус паччахьалла до цхьайтталгӀа шо тӀекхаччалц, мостагӀаша го бина лаьттира Ярушалайм.</verse>
				<verse number="6">Цу шеран боьалгӀачу беттан уьссалгӀа де тӀекхаьчча, гӀалахь мацалла йолаелира. Цу чохь болчу бахархошна даа хӀума ца диснера.</verse>
				<verse number="7">МостагӀчо гӀалин пенах доккха Ӏуьрг даьккхича, берриг а Ярушалаймера тӀемалоша дӀабовда кечам бира. Хашадхой гӀалина го бина лаьттинехь а, буьйсанна паччахьан бешана уллохь болчу шина пенна юккъехь лаьттачу кевнехула гӀали чуьра араделира массо а эскар. Иза Ӏариба-тогӀи йолчу дедда дӀадахара.</verse>
				<verse number="8">Амма хашадхойн эскар тӀаьхьаделира ЦӀадукъ-ЯхӀуна. Ерихон-гӀалин аренашкахь уьш цунна тӀаьхьакхиира. Ткъа паччахьан эскарера берриш а тӀемалой цунна уллора дӀасабевдира.</verse>
				<verse number="9">Паччахь схьа а лаьцна, цара иза Бавелан паччахь волчу схьавалийра Хьамат-махкахь йолчу Рабила-гӀала. Цигахь цунна кхел йира.</verse>
				<verse number="10">Бавелан паччахьо ЦӀадукъ-ЯхӀун кӀентий цунна хьалха байира, иштта ЯхӀуд-махкара элий а хӀаллакбира цо Рабила-гӀалахь.</verse>
				<verse number="11">Ткъа ЦӀадукъ-ЯхӀун ши бӀаьрг а баккхий, цунна цӀестан буржалш тоха аьлла, омра дира цо. Цул тӀаьхьа Бавелан паччахьо иза, Бавеле дӀа а вигна, набахти чу воьллира. Иза ша валлалц цу набахти чохь ваьллира.</verse>
				<verse number="12">Набухди-Нецара паччахьалла дечу ткъайоьсналгӀачу шеран пхоьалгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь паччахьан гӀаролхойн хьаькам волу а, Бавелан паччахьан ялхо волу а Набузар-Адан Ярушалайме веара.</verse>
				<verse number="13">Цо Везачу Элан цӀа а, паччахьан цӀа а, Ярушалаймера массо а цӀа а цӀе тесна дагийра. Иштта, Ярушалаймехь долу дерриг а коьрта цӀенош а дагийра.</verse>
				<verse number="14">Оцу хьаькаман куьйгаллехь долчу хашадхойн эскаро Ярушалаймана гонах долу пенаш а дохийра.</verse>
				<verse number="15">Паччахьан гӀаролхойн хьаькамо Набузар-Адана уггар къечарах болу цхьаберш а, Ярушалаймехь дисина кхидолу халкъ а, говза гӀишлош йийраш а, Бавелан паччахьан агӀор бевлларш а йийсаре дӀабигира.</verse>
				<verse number="16">Амма къечу нахана юкъара цхьадолу адамаш цо цу махкахь дитира, цаьрга кемсийн бошмашкахь а, кхашкахь а болх байтархьама.</verse>
				<verse number="17">Хашадхоша дохийна дӀадехира Везачу Элан цӀенна хьалха долу цӀестан бӀогӀамаш а, цӀийнан кертахь меттахйохуш йолу цӀестан бухахӀотторгаш а, иштта цӀестан хӀорд а. Дерриг а цӀаста цара Бавеле дӀадаьхьира.</verse>
				<verse number="18">Цара иштта дӀаяьхьира тесаш а, белаш а, тукарш а, хаза хьожа йогӀу хӀума чуюьллу кедаш а, Везачу Элана гӀуллакх дечу хенахь лелош хилла йолу цӀастанах йина мел йолу пхьегӀаш а.</verse>
				<verse number="19">Деших а, детих а мел йина хӀуманаш а дӀаяьхьира паччахьан гӀаролхойн хьаькамо: бошхепаш а, богуш болу кӀора дӀасакхоьхьу нойш а, цӀий чудуттуш долу боганаш а, тесаш а, къуьданаш а, хаза хьожа йогӀу хӀума чуюьллу кедаш а, сагӀанийн боганаш а.</verse>
				<verse number="20">Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀенна лерина бина ши бӀогӀам а, боккха яй а, шийтта цӀастанах бина сту а, меттахйохуш йолу кӀелхӀотторгаш а чӀогӀа еза яра. Оцу хӀуманашна дахана долчу цӀастанан барам буста а ца лора.</verse>
				<verse number="21">ХӀора бӀогӀам берхӀитта дол лекха бара, ткъа цуьнан го буьстича, иза шийтта дол бара. И бӀогӀамаш юкъахь хара дара, ткъа церан пенаш биъ пӀелг шуьйра дара.</verse>
				<verse number="22">Хьалхарчу бӀогӀамна тӀехь цӀастанах дина таж дара, пхиъ дол лекха а долуш. Цу тӀехь цӀастанах бина цаца а, наран стоьмаш а дара. Вукху бӀогӀамна тӀехь а дара иштта дина цӀестан наран стоьмаш.</verse>
				<verse number="23">Массо а агӀор безткъе ялхитта наран стом бара, ткъа таж тӀехь уьш бӀе бара.</verse>
				<verse number="24">Паччахьан гӀаролхойн хьаькамо коьрта динан да волу Сари-ЯхӀу а, шолгӀа динан да волу Цапни-ЯхӀу а, Везачу Элан цӀа чу воьдийла ларъеш волу кхо гӀаролхо а йийсаре дӀавигира.</verse>
				<verse number="25">ГӀалахь кхидӀа бисинчарах цо дӀавигира тӀемалойн хьаькам а, паччахьан ворхӀ хьехамча а, нах эскаре дӀаязбеш волу эскаран коьрта йозанча а, иштта гӀалахь шайна схьакарийна волу кхузткъа кхиволу стаг а.</verse>
				<verse number="26">Уьш берриш а паччахьан гӀаролхойн хьаькамо Набузар-Адана Бавелан паччахьна тӀе Рабила-гӀала дӀабигира.</verse>
				<verse number="27">Хьамат-махкарчу Рабила-гӀалахь Бавелан паччахьо, уьш байа аьлла, омра дира. Иштта яхӀудхой шайн махках бехира, йийсаре дӀа а бигина.</verse>
				<verse number="28">ХӀоккхул адам шен цӀера даьккхира Набухди-Нецара: ша паччахьалла дечу ворхӀалгӀачу шарахь ЯхӀуд-махкара кхо эзар ткъе кхоъ стаг араваьккхира цо.</verse>
				<verse number="29">Набухди-Нецара Бавелехь паччахьалла дечу берхӀитталгӀачу шарахь Ярушалаймера бархӀ бӀе ткъе шийтта стаг араваьккхира.</verse>
				<verse number="30">Набухди-Нецара паччахьалла дечу ткъе кхозлагӀчу шарахь Набузар-Адана ЯхӀуд-махкара ворхӀ бӀе шовзткъе пхиъ стаг араваьккхира. Верриг а йийсаре дӀавигнарг виъ эзар ялх бӀе стаг вара.</verse>
				<verse number="31">ЯхӀудхойн паччахьо ЯхӀу-Яхина Бавеларчу набахтехь ткъе вуьрхӀитта шо даьккхича, Авил-Мардуха иза набахтера аравалийтира. Иза хилира Авил-Мардух Бавелан паччахь хилла дӀахӀоьттинчу шеран шуьйтталгӀачу беттан ткъе пхоьалгӀачу дийнахь.</verse>
				<verse number="32">Авил-Мардуха цуьнца бертахь къамел дора, ткъа Бавел-махкахь йийсарехь болчу кхиболчу паччахьийн ларамал цунна лекха ларам бира.</verse>
				<verse number="33">ЯхӀу-Яхинна пурба делира шена тӀера тутмакхан духар дӀадаккха. Дуьнен чохь ша кхин мел йоккхучу хенахь кест-кестта паччахьна уллохь яа хӀума йоура цо.</verse>
				<verse number="34">ЯхӀу-Яхин дуьнен чуьра дӀаваллалц, хӀора дийнахь Бавелан паччахьо цунна мел оьшург латтадора.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="25">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">	А дам мацах дукха хилла йолу гӀала, цхьа а стаг воцуш санна йисина-кх и гӀала. Лаьтташ ю иза йисна Ӏачу зудчух таръелла. Халкъашна юкъахь сийлахь йолуш лелла и гӀала. Мехкашна тӀехь а эла хилла лаьттина и гӀала. Ясакх луш ерг санна хилла дӀахӀоьтти-кх и гӀала.</verse>
				<verse number="2">Б уьйсанна иза йоьлху къаьхьачу белхарца. БӀаьрхиш а ма ду цуьнан беснеш тӀехула охьаоьхуш. Вац-кх цхьа а иза тейийриг и езначу массарна а юкъахь. Цуьнан берриг доттагӀий а ямарта хили цунна. МостагӀий а хилла, дӀахӀитти-кх уьш цунна.</verse>
				<verse number="3">В он тӀе а догӀуш, халчу лоллехь иза хили, ЯхӀудан халкъ йийсаре ма диги. Хийрачу мехкашкахь даха иза хаийти, амма цхьа а синтем цунна-м ца карий. Массо а цуьнан мостагӀий цунна тӀаьхьабевли. Готта йолчу оцу меттехь уьш цунна тӀекхии.</verse>
				<verse number="4">Г ӀайгӀанехь ма ду Цийонан некъаш, Царна тӀехула ца леларна деза де даздийраш. Ма яссаели хӀинца цуьнан ерриг а ков-керташ, Цуьнан динан дай а бу узарш деш лаьтташ. ЙоӀарий а ма бу цуьнан йоккхачу гӀайгӀанехь. Йоккха къахьо ма ю цуьнгахь шегахь а.</verse>
				<verse number="5">Д ӀахӀитти-кх коьрте цуьнан массо а мостагӀий, Иза цаезнарш тоьллачу хьолехь бу. Везачу Эло цунна и вон тӀедаийти, Цуьнан бахьана а цуьнан дукха къинош хилар ду. МостагӀашна хьалха, йийсаре а дахана, Доьлхуш, дӀаоьхуш цуьнан бераш а ду.</verse>
				<verse number="6">Е ли-кх дӀа Цийонан йоьӀан хазалла. Элий а бу цуьнан, дежийла доцу сеш санна, дерриг гӀора дӀа а даьлла, таллархочунна хьалха бевлла.</verse>
				<verse number="7">Ж оп а лоьхуш, баланехь а, гӀело хьоьгуш а ша лелачу хенахь, дагаяьхки Ярушалаймана тоххара хьалха шен долахь мел хилла йолу хазнаш. МостагӀчун карах цуьнан халкъ доьжча, цунна гӀо дан цхьа а дӀа ца хӀоьттира. Сийсаз а еш, иза хӀаллакьхилча, цуьнан мостагӀий цунах кхаьрдира.</verse>
				<verse number="8">З ене долу къинош летадора Ярушалаймо. И бахьанехь догдели нехан а цунах. Хьалха, и хеста а еш, язйина лелларш хьоьжу хӀинца массо а ца бешаш цунах, гарна шайна и хӀинца ерзинаяьлла. Ша а цо ма доху даккхий синош хӀинца, шена эхь хетарна, дӀа а йоьрзуш.</verse>
				<verse number="9">И боьха томмагӀа юх тӀехь дара цуьнан. Ца йора цо ойла шех хиндолчун. Цуьнан йожарх нах инзарбевллера. Вац-кха цуьнан догъэца хӀинца цхьа а. «Схьахьажахьа, Веза Эла, сан гӀайгӀа-балане, ХӀунда аьлча сан мостагӀа вазвелла дӀахӀоьтти!»</verse>
				<verse number="10">К уьг цунна тӀе ма кховдийна буьрсачу мостагӀчо, Ярушалайман халкъан мехала мел йолчу хӀуманна тӀе. Хьан деза долчу цӀа чу боьлхуш го цунна кхечу къаьмнех берш. Царах лаьцна Ахь омра ма дина, Хьайн гуламан метте ма дуьйла аьлла.</verse>
				<verse number="11">Л оьхуш напха шена, доккха са а дохуш, Дерриг а хьан халкъ шен синехьа даьлла, Шен мехала мел йолу хӀума цо юучух дӀало, ша гӀелделла доллушехь, дийна дисархьама. «Хьажахьа хьо, Веза Эла, — оцу халкъо боху — юьхьӀаьржачу хӀоьттина долу сан хьал хӀинца муха ду.</verse>
				<verse number="12">М ассо а новкъахула тӀехдовлурш, шуна иза хӀумма а дац! БӀаьрг тохий, схьахьовсийша, юй те иштта цамгарш? Дуй те иштта лазар, суна кхеттарг санна? Буй те иштта бала, суна белларг санна? Везачу Эло Ша кхачийтира иза суна Ша оьгӀазваханчу цу халчу дийнахь.</verse>
				<verse number="13">Н ийсса лакхара Цо цӀе охьа ма теси, сан даьӀахкашна иза кӀоргге чу ма ели. Со дӀалоцу бой Цо сан когашка теси. Со, охьа а йожийна, Цо юха ма ерзийти. Сан синах а кхетта, Цо со дӀа ма теси, Дийнахь сарралц Цо со гӀелйина дӀахӀоттий.</verse>
				<verse number="14">О ццул долу сан къинош вовшех а дуьйцина, шен куьйгаца царах суна дукъ Цо дина. ТӀаккха и дукъ суна Цо коча диллина, иза бахьанехь сан берриг а ницкъ гӀелбалийтина. Хьалдолчу Эло дӀаелла-кх со схьаялалур йоцучеран кара.</verse>
				<verse number="15">П Ӏелг Шен меттахбаккхарца дӀатеси Хьалдолчу Эло Суна чохь карийна мел болу сан нуьцкъала тӀемалой. ТӀаккха суна дуьхьал Цо эскарш дӀахӀиттий, Цаьрга хӀаллакбайтархьама сан къона тӀемалой. Мутт доккхучу гӀирсо санна, Цо дӀахьаьши яхӀудхойн йоӀ йолу и Ярушалайм-гӀала.</verse>
				<verse number="16">Р еза йоцуш йоьлху со, бӀаьргаш бӀаьрхих дуьзна сан. Вац со денъян цхьа а, тейийриг а вац-кха сан. Бераш ду сан дог доьхна, МостагӀа шайл тоьлла дела».</verse>
				<verse number="17">С атуьйсуш, кхийдадо шен куьйгаш Цийоно, амма вац-кха цуьнан догъэца цхьа а. Якъубан халкъах лаьцна Везачу Эло омра дина, цуьнан лулахойх Цо мостагӀий цунна бина. Царна юкъахь Ярушалайм-гӀала дӀахӀоьтти-кх сийсазниг а хилла.</verse>
				<verse number="18">«Т къа Веза Эла бакъонца ма лела, Цуьнан даше ас ла ца доьгӀна дела. Сан балане хьажий, ладогӀалаш, халкъаш, Сан йоӀарий, сан къонахий йийсарехь ма бу.</verse>
				<verse number="19">Х олчу хӀоьттинчу хенахь сайн накъосташка кхайкхира со. Амма цара, ле а йина, Ӏехийра со. Сан динан дай, сан къаной, шайн са кӀелхьардаккхархьама, шайна напха а лоьхуш, лечу хьола тӀе бевлла.</verse>
				<verse number="20">Х ьажахьа соьга, Веза Эла, дог доьхна со хиларна, Суна чохь мел йолу хӀума егаеш дӀахӀоьтти. Дог а меттахдаьлла сан, Хьуна ас дуьхьало ярна. Арахьара деанчу туьро сайн берех со яьккхи. ЦӀера хьал, ялар санна, ма ду сан хӀинца.</verse>
				<verse number="21">Ц арна ас узарш деш хезна, Вац-кха сан догъэца цхьа а. ДӀахезна сан мостагӀашна Со къизачу баланехь хилар. Айхьа аьлла де тӀедаийтахьа, Уьш а Ахь сох дӀатарбехьа.</verse>
				<verse number="22">Ӏ есаллица цара мел динарг Хьуна хьалха дӀахӀуттийла. Сан къинош бахьанехь суна динарг Ахьа царна а дойла. Тийжамаш сан бу-кха гӀийла, Дог а сан мел гӀелделла».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">А ьшнаш а еш, Хьалдолчу Эло ма кхолий Цийонан йоӀ Шен оьгӀазаллица! Исраилан халкъан сийлалла стигалара Цо лаьтта тӀе охьатеси. Ша оьгӀазваханчу цу дийнахь Шен когийн кӀело Цунна дага ма ца еа.</verse>
				<verse number="2">Б ерриге а Якъубан мохк Хьалдолчу Эло хӀаллакби. Къа ца хеташ, къизаллица Цо и бохийна дӀабаьккхи. Ша дарвеллачохь Цо йохийна дӀаяьккхи ЯхӀуд-мехкан ерриге а чӀагӀйина йолу меттигаш. Пачхьалкх а, цуьнан элий а Цо лаьтта охьа ма теси, сийсаз а баьхна, уьш берриш а Цо охьа а ма бехки.</verse>
				<verse number="3">В уно чӀогӀа дар а велла, Ша оьгӀазвахча, Исраилан берриг а ницкъ Цо хӀаллакбина дӀабаьккхи. МостагӀий царна хьалха дӀахӀиттича, Шен аьтту куьг царна тӀера Цо юхадерзий. Цо иза дича, йогуш йолчу цӀеро санна, вайн махкара гонах мел дерг Цо дӀа ма кхаьлли.</verse>
				<verse number="4">Г онахарчу мостагӀчо санна, секхаӀад Цо тӀехьажий. Куьг тӀе а кховдийна, мостагӀчо санна, бӀаьргана мел безнарш хӀаллакби. ЦӀе санна йолу Шен дералла Цийонан йоӀан четар чу Цо охьаӀаний!</verse>
				<verse number="5">Д ӀахӀоьтти-кх Хьалдолу Эла мостагӀа хилла, Исраилан мохк берриг а Цо хӀаллак ма би. Цуьнан паччахьан гӀишлош йохийна дӀа ма ехи. Цуьнан ерриг а чӀагӀонаш дакъазаяьхна йити. ЯхӀудан йоӀ йолчохь долу латкъаммий, белхаррий хӀинца чӀогӀа алсам Цо ма даьккхи.</verse>
				<verse number="6">Е рриге а Шен гӀишло, бешахь лаьтта цӀа санна йолу, Цо тӀепаза дӀаяьккхи. Шен гуламан меттиг а Цо хӀаллакйина дӀаяьккхи. Цийон-ломахь даздеш хилла деза денош дицдайти. Шена лерина шоьтан денош Везачу Эло дитийти. ЧӀогӀа Ша оьгӀазваханчохь Цо паччахьаш дӀатеси. Ша чӀогӀа дарвеллачохь динан дайх Иза дӀавирзи.</verse>
				<verse number="7">Ж ирга а хетта, Шен сагӀа доккху кхерч юха а тоттуш, Хьалдолу Эла Шен цӀийнах дӀавирзи. Цуьнан дерриш а пенаш мостагӀийн кара Цо дахийти. Дезачу дийнахь айдеш санна, цара аьзнаш айади. Везачу Элан цӀа чохь цара йоккха гӀовгӀа ма яьккхи.</verse>
				<verse number="8">З Ӏенашца санна, гӀалина гонах сиз а хьокхуш, билгалдаьккхира Везачу Эло цуьнан пенаш дохо. Цийонан йоӀан пен божорхьама Шен куьг юха ца даьккхира Цо. Арахула йолу чӀагӀонаш, пенашца цхьаьна хӀаллак а йина, елхийтира Цо.</verse>
				<verse number="9">И дерриг Ярушалайман кевнаш лаьттах чу ма дахана. Церан дерриг а гӀораш а, дохийна, дӀа ма даьхна. Цуьнан паччахь, цуьнан элий хийрачу нахана юкъабаьхна. Товрат-хьехамаш Ӏамо кхин цхьа а вац. Цуьнан пайхамаршна хьалха кхин ца хӀуьтту Везачу Элера долу суьрташ.</verse>
				<verse number="10">К ъаной ма бу бист ца хуьлуш хевшина, Цийонан йоӀан къаной лаьтта тӀе охьахевшина. Цара шайн кортошна тӀе ченаш а ма тийсина. Сингаттаман бедарш цара догӀмаш тӀе а юьйхина. Ярушалайман йоӀарша а, гӀайгӀанехь дӀа а хӀиттина, халахетарца кортош шайн охьадахийтина.</verse>
				<verse number="11">Л едарадевлла-кх сан бӀаьргаш, бӀаьргех хиш охьадарна. Кийрахь мел дерг дегадо сан, дог карзахдаларна. Сайн синах а ваьлла со, дукха тийжаш хиларна. И дерриг а хилла суна, сан халкъ дохийна лелорна, Кегий бераш а, дакхош дерш а, мацалло эгийна, ГӀалин урамашкахь Ӏохкуш хиларна.</verse>
				<verse number="12">М арахь долуш шайн наношка цу бераша ма олу: «Мичахь ду те бепиг, чагӀар?» ТӀаккха, чевнаш хилларш санна, гӀалин урамашкахь охьа а оьгий, кийрара шайн синош дӀа а хоьций, шайн нанойн карахь дӀадовлу уьш.</verse>
				<verse number="13">Н ийсадерг хӀун эр дара хьоьга, стенца хьо юста, Ярушалайм, ва сан йоӀ? Стенах хьо таръе ас, хьо теярхьама, ва йоӀстаг йолу хьо, Цийонан йоӀ? Чов ю хьан, хӀорд санна кӀорга, ХӀинца хьан тойийр яра те хьо?</verse>
				<verse number="14">О лура хьан пайхамарша даьссаниг а, харцдерг а. Хьо йийсаре ца яхийта, гучу ца яьккхира хьан Ӏесалла. Цара дуьйцу хиндерш а, адам ледеш, харц ма ду.</verse>
				<verse number="15">П е а бетташ, гӀалина уллохула мел лелачу наха хӀинца куьйгаш шайн вовшах ма детта. Кортош а лестош, цара шакарш етта. Ярушалаймах лаьцна цара иштта хоьтту: «Шех хазаллин кхачамалла ду аьлла йолу гӀала хӀара ю те? Шех хазахетаран бохь бу аьлла гӀала хӀара ю те?»</verse>
				<verse number="16">Р езахиларца хиллачунна хьан мостагӀий хьох кхаьрда, Цергаш хьекхош, цабашарца цара шакарш ма етта. «Вай кху дийне са а тийсира, вайна иза ган а ги, Вай и хӀинца дӀа а кхаьлли», — цара хӀинца ма эли.</verse>
				<verse number="17">С интем боцуш Везачу Эло Шен дош кхочушди, хьалххе дуьйна Ша хьедина ма-хиллара. Хьо къизаллица Цо хӀаллакйи, Ширачу хенахь Ша билгал ма-даккхара. И мостагӀчунна хазахийти. Хьо цаезначийн ницкъ айи.</verse>
				<verse number="18">Т ийналлица кхойкху Хьалдолчу Эле адамийн дегнаша. Тергам белаш хӀинца аша, Цийонан йоӀан пенаша, Дийнаххьий, буьйсанний, Ӏовраш санна, бӀаьрхиш хьан оьхийла. Хьан синтем а ма хуьлийла, хьан бӀаьргийн садаӀар а ма хуьлийла.</verse>
				<verse number="19">У замаш беш кхайкхарца, буьйсанан хӀора дакъа долалуш, Хьайн дагахь мел дерг а, хи санна, Ӏанаде Везачу Элана хьалха. Хьайн куьйгаш кховдаде доӀанца Цуьнга, Хьайн берийн синош Цо Ӏалашдар доьхуш, Урамийн сенашкахь уьш мацалла лечу хенахь.</verse>
				<verse number="20">Х ьажахьа Хьо, Веза Эла, Ахь хьанна и дина! Дезий те зударша шайн бераш даа, Шаьш дахар а делла, шаьш кхаьбна долу? Хьалдолчу Элан цӀа чохь байъина хила безий те динан дай а, пайхамарш а?</verse>
				<verse number="21">Ц у урамийн ченалахь ма Ӏохку бераш а, къаной а охьаэгна. Сан йоӀарий а, кегий нах а мостагӀчун туьро охьабехкина. ОьгӀазваханчу ва дийнахь Ахь уьш хӀаллакбира. Церан синош ца кхоош, къизаллица уьш байъира.</verse>
				<verse number="22">Ӏ аьржа баланаш массо а агӀор Ахь суна тӀебалийра. Дезачу денна кхойкхуш санна, Ахь уьш суна тӀебалийра. Везачу Эло оьгӀазалла ша йинчу ва дийнахь Цхьа а дийна ца висира, цхьа а кӀелхьара ца велира. Ас лелийна мел берш, кхиийна мел берш мостагӀчо хӀаллакбина дӀабехира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">А лссам бу аса хьегна баланаш Везачу Элан дерачу олаллин куьйгах.</verse>
				<verse number="2">А раваьккхи со Цо Ӏаьржачу бодане, серло йоцчохь со лелийтархьама.</verse>
				<verse number="3">А ьрру куьг Шен дийнахь сарралц суна тӀехь а латтийна, Веза Эла суна дуьхьал ма ваьлла.</verse>
				<verse number="4">Б илггал сан чкъор а, дилха а Цо мал а ма дина, сан даьӀахкаш а ца мегачу ма яьхна.</verse>
				<verse number="5">Б оккха го бира Цо суна, къаьхьаллица а, халонашца а со дӀа а лаьцна.</verse>
				<verse number="6">Б оданечу метте охьахаийна Цо со, тоххарехь белла Ӏохкуш болу нах санна.</verse>
				<verse number="7">В езачу Эло буржалш тоьхна суна, кӀелхьар ца валийта го бина суна.</verse>
				<verse number="8">В езачу Элана дӀа ца хезара сан доӀа, со Шега доьхушший, кхойкхушший волуш.</verse>
				<verse number="9">В езачу Эло тӀулгашца дуьхьало йи сан некъашна, со лела некъаш а галдехи Цо.</verse>
				<verse number="10">Г амонца тӀекхета кечъелла ча санна, дӀахӀоьтти Иза суна. КӀело еш долу лом санна, хили Иза суна.</verse>
				<verse number="11">Г амдина сан некъаш, цистина со дӀаваьккхи, цхьа а воцург а вина, дӀахӀоттий Цо со.</verse>
				<verse number="12">Г Ӏакх дина, дӀахӀоттий Цо со, Шен секхаӀад а тӀехьажий Цо суна.</verse>
				<verse number="13">Д ерриг а Шен Ӏад-ботт чуьра пхерчий сан жаннашна тӀетуьйхи Цо.</verse>
				<verse number="14">Д ерриг а сан халкъ сох кхаьрдаш дӀахӀоьтти, шаьш денна а лоькхучу иллешна юкъа цара со валий.</verse>
				<verse number="15">Д Ӏовшах а вузийна со Везачу Эло, сагал-бецан къаьхьа хи а малийна Цо суна.</verse>
				<verse number="16">Е рриг сан цергаш жагӀанца Цо кегйи, лаьттарчу чимлахь Цо со верриг а бехви.</verse>
				<verse number="17">Е ли сан даг чуьра маршо а дӀа. Дицдели суна самукъадалар муха хуьлу а.</verse>
				<verse number="18">«Е рриг а Везачу Элах йолу дегайовхо дӀаели сан, берриг а ницкъ дӀабели сан», — элира ас тӀаккха.</verse>
				<verse number="19">Жирга хетачу стиман ӀаӀар а, сагал-бецан къаьхьалла а санна, ю ас сайн баланех а, ваьлла леларх а йо ойланаш.</verse>
				<verse number="20">Ж олам-яӀ, мел дика дагахь лаьтта суна иза, ма доьхна ду-кха сан дог а хӀинца.</verse>
				<verse number="21">Ж им-жимма делахь а, юхадоьрзу сан сатийсар, суна иза дагадеача:</verse>
				<verse number="22">З аманашкахь а чекх ца болучу Везачу Элан безаман чаккхенга вай тӀе ца кхаьчна, ткъа Цуьнан къинхетамаллин гӀуллакхаш чекх а ца девлла.</verse>
				<verse number="23">З овкх-яӀ, хӀора Ӏуьйранна карладуьйлу уьш, Хьан тешаме хилар а мел кӀоргге ду!</verse>
				<verse number="24">З ийна долчу сан сино боху: «Веза Эла сан дакъа ду, цундела Цунах а тешна со Ӏийр ву!»</verse>
				<verse number="25">И штта дика ву Веза Эла, Шех а тешна, Ӏаш болчарна! Дика ву Веза Эла Ша лоьхуш болчарна!</verse>
				<verse number="26">И штта дика ду собарца Везачу Эле ладегӀар, гӀолехь ду Цо кӀелхьардахаре хьежар.</verse>
				<verse number="27">И штта, гӀолехь ду стагана ша къона волуш, собаран дукъ лело иза Ӏемича.</verse>
				<verse number="28">К ъаьхьачу баланийн мохь Везачу Эло шена тӀе биллина дела, тап-аьлла, тийна, ша волччохь Ӏан веза иза.</verse>
				<verse number="29">К хочуьйтуш шен юьхь лаьтта, охьатеӀийла иза Везачу Элана хьалха, хӀунда аьлча догдохийла кхин а хила там бу.</verse>
				<verse number="30">К хечо шена тоьхча, шен важа бесни а схьаерзайойла цо. Шега вон дош аьлча, собарх вузийла иза.</verse>
				<verse number="31">Л арам а беш, Хьалдолчу Эло гуттаренна а вуьтур вац иза.</verse>
				<verse number="32">Л ан хала болу бала Ша тӀебаийтахь а, къинхетам бийр бу Цо, Шен хедар боцчу безаман бараме хьаьжжина.</verse>
				<verse number="33">Л аа а лууш ца до Везачу Эло адамийн кӀенташна таӀзар а, халахетар а.</verse>
				<verse number="34">М а хаьа-кх Цунна когаш кӀел хьоьший кху лаьттара массо а тутмакх.</verse>
				<verse number="35">М а го-кх Веза Воккхачунна, Шена хьалха адаман бакъонаш ларъеш ца хилча.</verse>
				<verse number="36">М а го-кх Хьалдолчу Элана, адамна кхел нийса еш ца хилча.</verse>
				<verse number="37">Н агахь санна Хьалдолчу Элана хила лиъча бен, нахана лиънарг кхочуш хир дац.</verse>
				<verse number="38">Н ийсса Веза Воккхачо аьлча а бен, хуьлий-ткъа бохам балар я беркат хилар?</verse>
				<verse number="39">Н агахь санна ша хӀинца а вехаш хилча, къинош бахьанехь шена дечу таӀзарна латкъамаш бан ца беза стага.</verse>
				<verse number="40">О цу ваьш лелачу некъийн тидам а бина, Везачу Элехьа доьрзийла вай, уьш талла а теллина.</verse>
				<verse number="41">О цу стигалшкахь волчу вайн Деле хьалаойийла вай вешан дегнаш а, куьйгаш а.</verse>
				<verse number="42">О ццул дуьхьал а девлла, Хьох дӀакъаьстира тхо. Ахьа, Веза Эла, тхуна геч а ца дира.</verse>
				<verse number="43">П аргӀат тхуна тӀаьхьа а ваьлла, Хьо оьгӀазвахча, тхох къа а ца хеташ, дайира Ахь тхо.</verse>
				<verse number="44">П ардо санна йолчу цу мархина юкъахь дӀахьулвелира Хьо, тхан доӀанаш Хьайна тӀе ца кхачийтархьама.</verse>
				<verse number="45">П ачхьалкхашна а, массо къаьмнашна а юкъахь нехаш санна дина, дӀахӀиттий Ахь тхо.</verse>
				<verse number="46">Р еза шаьш хиларна, мостагӀий вайх кхаьрдаш бу, вайн массо а мостагӀий вайна кхиссарш еш бу.</verse>
				<verse number="47">Р агӀ кхечи вайн а, къаьхьа къемат а, оьрнаш а, дакъазадовлар а, дохор а хили вайн дакъа.</verse>
				<verse number="48">Р оггӀана хин Ӏовраш йоуьйту сан бӀаьргаша, сан халкъ хӀаллакьхилар бахьана долуш.</verse>
				<verse number="49">С ан бӀаьргаш ца совцу доьлхучуьра хӀинца, бӀаьрхиш сан охьаоьху, ца совцуш, хаддаза,</verse>
				<verse number="50">с тигаларчу Везачу Элана, охьа а хьаьжна, вайн хьал дӀагаллалц.</verse>
				<verse number="51">С ан бӀаьргашна гинарг бахьана долуш, сан гӀаларчу йоӀаршна гӀайгӀанехь ву со.</verse>
				<verse number="52">Т Ӏаккха, олхазар лоцуш санна, массо агӀор хӀуъа а дина, со схьалаца гӀиртира сан мостагӀий, цхьа а бахьана доцуш.</verse>
				<verse number="53">Т утмакх санна, со ор чу а кхоьссина, дийна волчу суна тӀе тӀулгаш кхиссина.</verse>
				<verse number="54">Т Ӏаккха сан коьрте кхаччалц хиш хьаладевлча, ас элира: «Со хӀаллакьхили».</verse>
				<verse number="55">У р-атталла цу кӀоргачу ор чуьра хьала а Хьан цӀе ас ма йохура, сан Веза Эла!</verse>
				<verse number="56">«У зарш ас дарна, даккхий синош дахарна ма къовлахь Хьайн лерг дӀа!» — аьлла, ас орца даьккхича, сан аз Хьуна хезира дӀа.</verse>
				<verse number="57">У ьйр Хьоьца лоьхуш, со Хьайга кхайкхича, Ахь, суна тӀе а хуьлуш: «Ма кхера!» — элира.</verse>
				<verse number="58">Х ьалдолу ва Эла, сох даьлларг къастийнарг Хьо ма ву, сан дахар а паргӀатоне даьккхинарг Хьо ма ву.</verse>
				<verse number="59">Х ьуна гина, Веза Эла, суна дина вон. Ахь-Айхьа ехьа сан гӀуллакхан кхел.</verse>
				<verse number="60">Х ьуна го, Веза Эла, церан берриг а бекхамаш. Церан берриг дагалацамаш суна дуьхьал бу.</verse>
				<verse number="61">Ц еран ерриг ойланаш суна дуьхьалъевлла, Хьуна хеза-кх, Веза Эла, цара етта баганаш.</verse>
				<verse number="62">Ц ара хӀора денна суна дуьхьалдаьхна хӀилланаш го Хьуна, сан Веза Эла. Суна дуьхьалбевллачеран къамелаш а хеза-кх Хьуна, сан Веза Эла.</verse>
				<verse number="63">Ц ара, хьажахьа, Веза Эла, шаьш хевшинчохь, гӀевттинчохь сох белам ма бо.</verse>
				<verse number="64">Ӏ аббалц Ахь бекхам бехьа царна, ва Веза Эла, цара лелийначу гӀуллакхашка хьаьжжина.</verse>
				<verse number="65">Ӏ аьржа дог царна чу Ахь диллахьа, Хьан неӀалт а хуьлийла царна тӀехь.</verse>
				<verse number="66">Ӏ анаяй царна тӀе Хьайн оьгӀазалла, царна Хьо тӀаьхьавалахьа, Везачу Элан стигалшна кӀелхьара хӀаллак а бай, уьш дӀабахахьа!</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">А нгали санна долу деши а ма кхоьлина ду-кх, и тоьлла долу деши а ма хийцаделла-кх. Урамашкахула маьӀ-маьӀӀехь дӀасакхийсина ду-кх Делан цӀийнан деза тӀулгаш а.</verse>
				<verse number="2">Б еза болу Цийонан кӀентий, цӀеначу дешин мехах берш, кхийрачу пхьегӀийн меха а бина, куьпчичо бинарш санна ма лору.</verse>
				<verse number="3">В уно къизачу чангӀалкхо а накха ло шен кӀорнеш юзорхьама, ткъа сан халкъана юкъара наной къиза хилла дӀахӀиттина, яьссачу аренгахь шен хӀоаш дӀатосу олхазар санна.</verse>
				<verse number="4">Г о хӀинца декхаш долчу берийн меттанаш хьогаллина багара стигалх летта хилар. Кегийчу бераша а бепиг доьху, амма цхьаммо а ца ло царна иза.</verse>
				<verse number="5">Д ерстинчу женах шаьш дузош хилларш хӀинца-м мацаллех урамашкахь леш бу. Хьалха дезачу кӀадинах йина бедарш лелийнарш хӀинца-м нехаш кегош лелаш бу.</verse>
				<verse number="6">Е рриг Седам-гӀалин къиношна динчу таӀзарал а тӀехдаьлла Везачу Эло сан халкъан йоӀарша хьерчийначу къиношна дина таӀзар. Иза-м цу сохьта хӀаллакйина дӀаяьккхира, ткъа адамийн куьйгаш цунах хьакха а ца деллера.</verse>
				<verse number="7">З аманашкахь къобалбина цуьнан элий лайл а цӀена, шурел а кӀайн бара. Церан догӀмаш а ма дара цӀарула-цӀечу басахь. Церан куц а ма дара жовхӀарх тера.</verse>
				<verse number="8">Ж олам-яӀ, хӀинца-м кӀоранал а Ӏаьржа ю церан яххьаш. Урамашкахь цхьанна а бовза а ца бевза уьш. Церан дегӀан чкъор а ма ду даьӀахкех а летта, дечиг санна, дакъа а делла.</verse>
				<verse number="9">И штта, тур тоьхна байинарш ирсе бу мацалло байиначарал. ХӀорш меллаша леш ма бу, ялтин кхачам ца хиларна.</verse>
				<verse number="10">К Ӏеда дегнаш долуш хилла болчу зударийн куьйгаша а шайн бераш кхехкадора, шайна юучунна уьш хилийта, сан халкъана тӀе бохам баийтича.</verse>
				<verse number="11">Л атийра Везачу Эло Цийонехь цӀе, иза бухара дуьйна яга а еш. ОьгӀазвахара Веза Эла, Шен дералла тӀехьажийра Цо Цийонна тӀе.</verse>
				<verse number="12">М ассо а адамаш, кху дуьнен чохь дехаш долу, лаьттара паччахьаш а тешаш бацара, Ярушалайман кевнашкахула мостагӀа чекхвер ву аьлча.</verse>
				<verse number="13">Н ийсо лелочеран цӀий Ӏанош болчу цуьнан пайхамарша мел летийна къинош, цуьнан динан дайша лелош йолу харцонаш бахьана долуш и дерриг а хилира.</verse>
				<verse number="14">О цу урамашкахула, бӀаьрзенаш санна, лелаш бара пайхамарш а, динан дай а. Ур-атталла церан бедарех хьакхавала а ваьхьар воцуш, цӀий дара царна тӀехь.</verse>
				<verse number="15">П аргӀат мохь хьоькхура царна тӀе: «ДӀасахила, Далла хьалха бехделларш! Тхох ма хьакхало!» — бохуш. ТӀаккха уьш, боха а бухий, дӀасабовлура. Ткъа наха шайна юкъахь олура: «Уьш кхин хир бац вайна юкъахь».</verse>
				<verse number="16">Р еза воцуш, Веза Эла цаьргахьара дӀавирзинера. Цо уьш массанхьа а дӀасакхиссинера. Наха шайн динан дайн кхин ларам ца бира, шайн къаношка церан къинхетам ца хилира.</verse>
				<verse number="17">С ирла бӀаьргаш гӀелделла-кх тхан, гӀо кхачаре эрна ла а дегӀна. Тхо кӀелхьара ца дахалуш долчу халкъе ха дечу бӀов тӀера тхо эрна охьахьийжира.</verse>
				<verse number="18">Т къа мостагӀаша-м тхан лараш толлура, тхо тхешан урамашкахула ца лелийтархьама. ТӀееа тхан тӀаьххьара зама, тхан тӀаьххьара денош а тӀедаьхки, тӀекхечи тхан тӀаьххьара сахьт а.</verse>
				<verse number="19">У ьш, тхуна тӀаьхьабевлларш, стигаларчу аьрзунел а чехка бара. Лаьмнашкахула тхуна уьш тӀаьхьабевлира, яьссачу аренгахь тхуна цара кӀело а йира.</verse>
				<verse number="20">«Х алкъашна юкъахь дехар ду вай цуьнан ӀиндагӀехь» — оха аьлла верг, тхан дахаран са долу, Везачу Эло къобалвинарг, мостагӀийн гуро а лаьцна, ор чу хаийна.</verse>
				<verse number="21">Ц хьаьна а кхетий, хазахетарца самукъадаккха хьайна ӀуцӀа-махкахь дехаш долу Эдоман халкъ! Амма хаалахь, и къаьхьа кад хьуна а тӀекхочур буйла, тӀаккха, даха а дехна, хьо а дерзинадер дуйла.</verse>
				<verse number="22">Ӏ есаллина дина таӀзар чекхдели хьан, Цийонан йоӀ, кхидӀа йийсарехь Цо хьо юьтур яц. Ткъа ахьа харцонаш ярна, Цо дийр ду таӀзар, Эдоман йоӀ, Цо гучудохур ду ахьа летош долу къинош.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">Веза Эла, тхуна хилларг дага а лаций, тхоьгахьа а верзий, хьажахьа тхан юьхьӀаьржачу хӀиттаре.</verse>
				<verse number="2">Тхан хӀусамаш а кхечу махкарчу нехан караяхана. Тхан долахь мел хилларг а хийрачу нехан каракхаьчна.</verse>
				<verse number="3">Да а воцуш, байлахь дисна тхо. Наной а бу тхан, бисина Ӏаш болу зударий санна.</verse>
				<verse number="4">Тхешан долу хи а детих эца деза тхан. Тхешан долу дечиг а ахчанах бен ца кхочу тхуна.</verse>
				<verse number="5">Тхуна тӀаьхьабевлларш тхан коча баьхкина. Ткъа тхо гӀел а делла, синтем а бац тхан.</verse>
				<verse number="6">Бепигах дузархьама, мисархошца барт бира оха, дийна дисийтархьама, ашурхошка бертан куьг дӀакховдийра оха.</verse>
				<verse number="7">Тхан дайша къинош летадора. Уьш хӀинца бан а бац. Ткъа уьш Делан лаамехь ца леларна, тхо таӀзар токхуш ду.</verse>
				<verse number="8">Тхан мостагӀчун леша олалла до тхуна тӀехь, цхьа а вац церан карара тхо кӀелхьардаха.</verse>
				<verse number="9">Яьссачу арахь тхаьшна тӀе айина тур долу дела, даларна а кхоьруш, сискал йоккху оха.</verse>
				<verse number="10">Луьра хӀоьттинчу мацаллина, дагар а деана, дӀахӀоьтти тхан чкъор, цӀе санна хилла.</verse>
				<verse number="11">Тхан зударий а хьийзабо мостагӀаша Цийонехь. Тхан мехкарий а хьийзабо цара ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь.</verse>
				<verse number="12">Тхан элий а мостагӀаша ирхъоьхкина, тхан къаной а хӀинца ларам боцуш бу.</verse>
				<verse number="13">Къоначаьрга а цара хьеран тӀулгаца ялта охьуьйту. Ткъа дечиган мохь беза хиларна, кегий нах охьаоьгу.</verse>
				<verse number="14">Къаной а ма бац хӀинца гӀалин кевнашкахь охьаховшуш. Кегий нах а ма бац шайн зурманаш лоькхуш.</verse>
				<verse number="15">Тхан дегнийн хазахетар а дӀадаьлла хӀинца. Тхан халхарш а белхаре дирзина хӀинца.</verse>
				<verse number="16">Тхан кортош тӀера таьжнаш а охьаэгна. Оха къинош летадарна, тхо Ӏазапехь ду!</verse>
				<verse number="17">Цундела тхан дегнаш а ду доьлхуш. Цундела тхан бӀаьргаш а ду гӀелделла.</verse>
				<verse number="18">Цийон-лам бассабаларна, чангӀалкхаш ю цу тӀехула лелаш.</verse>
				<verse number="19">Ткъа Хьо, Веза Эла, даим а олалла деш ву. Хьан Ӏарш тӀаьхьенера тӀаьхьенгахь лаьтташ ду.</verse>
				<verse number="20">Кхоччуш диц хӀунда дина те Ахь тхо? Еххачу ханна тхо дӀа хӀунда теси те Ахьа?</verse>
				<verse number="21">Дерзадехьа тхо Хьайгахьа, Веза Эла, оха чӀогӀа доьху Хьоьга! Карла а дахий, дӀахӀиттадехьа тхан денош, Айхьа хьалха уьш дӀахӀиттош ма-хиллара.</verse>
				<verse number="22">Гуттаренна а дӀатесна-м хир ма дац Ахь тхо? Доза доцуш оьгӀазвахна-м ма вац Хьо тхуна?</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="26">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">Халкъан цхьа дакъа Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа, ткъе уьтталгӀачу шеран боьалгӀачу беттан пхоьалгӀачу дийнахь, со Кабар-хина уллохь ЯхӀуд-махкара йийсаре дӀабигначарна юкъахь а волуш, стигалш дӀаса а еллаелла, суна Делера долу суьрташ хӀиттира.</verse>
				<verse number="2">Оццу беттан пхоьалгӀачу дийнахь (иза дара ЯхӀу-Яхин-паччахь йийсаре вигначу пхоьалгӀачу шарахь),</verse>
				<verse number="3">соьга, динан да волчу Бузин кӀанте Яхьазкхиале, Везачу Элан дош кхечира, со хашадхойн махкахь Кабар-хина уллохь волуш. Цигахь суна тӀе Везачу Элан ницкъ боьссира.</verse>
				<verse number="4">Суна, Яхьазкхиална, гира къилбаседехьара схьахьоькхуш долу дарц. Йоккха марха яра гуш, цунна юккъера стелахаьштигаш а лепаш, ткъа цунна гонах къегаш серлаюьйлуш яра. Мархина юккъехь, стелахаьштигаш долчохь, лепаш цӀаста санна йолу хӀума яра.</verse>
				<verse number="5">Дарцана юкъахь диъ дийнат санна хӀума яра. ДӀахьаьжча, церан кеп адамийн сибатах тера яра.</verse>
				<verse number="6">Делахь а цу хӀораннан а йиъ юьхь а яра, биъ тӀам а бара.</verse>
				<verse number="7">Церан когаш нийса бара, ткъа коган кӀело аьттан берг санна яра, цӀандина цӀаста санна къегаш а яра.</verse>
				<verse number="8">Церан еа а агӀонашкахь долчу тӀемашна кӀелахь адамийн куьйгаш дара.</verse>
				<verse number="9">Деа дийнатан яххьаш а, тӀемаш а дара. Церан тӀемаш вовшех дозуш дара. Шаьш дӀадуьйлалучу хенахь уьш, дӀаса а ца доьрзуш, муьлххачу а агӀор дӀадахалора.</verse>
				<verse number="10">Церан хӀораннан а хьалхара юьхь — адаман юьхь яра, аьтто агӀорниг — лоьман юьхь яра, аьрру агӀор — стеран юьхь яра, ткъа хӀораннан а тӀехьара юьхь аьрзунан юьхь яра.</verse>
				<verse number="11">Церан шишша тӀам царна тӀехула дӀасабаржийна бара. ХӀораннан а шишша тӀам вукхуьнан тӀемех хьакхалуш бара. ХӀораннан а иштта кхин а шишша тӀам бара, цаьрца шайн догӀмаш къайладохура цара.</verse>
				<verse number="12">Уьш хӀорра муьлххачу а агӀор дӀадахалора. Шайн са дӀагӀертачу агӀор доьлхура уьш, доьлхучу хенахь дӀаса а ца доьрзуш.</verse>
				<verse number="13">Дийнатийн сибат, догуш долу кӀегий санна, къегаш дара, хаьштигех тера а дара. Цу дийнаташна юкъахь лелаш цӀе яра, иза, ткъес санна, серло етташ яра.</verse>
				<verse number="14">Ткъес санна, сиха дӀасалелаш дара и дийнаташ.</verse>
				<verse number="15">Цу дийнаташка хьаьжча, суна гира царна уллохь лаьттах кхеташ йолу йиъ чкъург, церан еа агӀонна уллохь.</verse>
				<verse number="16">ХӀора чкъурган сибат цхьатерра дара. Уьш, хризолит олучу безачу тӀулгех йича санна, лепаш яра, ткъа цхьа чкъург кхечу чкъургана чохь йолуш санна хеталора.</verse>
				<verse number="17">И чкъургаш дӀайоьлхучу хенахь дийнаташна хьалха йолчу муьлхха а еа агӀонгахьа дӀайигалора цаьрга. Чкъургаш дӀаса а ца йоьрзуш, дийнаташ нийсса дӀадоьлхура.</verse>
				<verse number="18">Ткъа цу чкъургийн гонаш инзаре лекха дара — уьш массо а бӀаьргех дуьззина дара.</verse>
				<verse number="19">И дийнаташ дӀадоьлхучу хенахь царна уллора чкъургаш а дӀаоьхура, ткъа нагахь уьш хьалаайаелча, и чкъургаш а цаьрца цхьаьна хьалаайалора.</verse>
				<verse number="20">Дийнаташ шайн сино дӀаюьгучу метте дӀадоьлхура, уьш дахначу метте и чкъургаш а дӀайоьлхура цаьрца нийсса, хӀунда аьлча цу дийнатийн са цу чкъургаш чохь дара.</verse>
				<verse number="21">И дийнаташ дӀадоьлхучу хенахь, чкъургаш а дӀайоьлхура, уьш сецча — совцура, уьш лаьтта тӀехула хьалаайаделча, цаьрца нийсса хьалаайалора чкъургаш а, хӀунда аьлча цу дийнатийн са цу чкъургаш чохь дара.</verse>
				<verse number="22">Церан кортош тӀехула нартол санна йолу хӀума яра, ша санна цӀена исбаьхьа лепаш а йолуш.</verse>
				<verse number="23">Цу нартол бухахь дӀасадахийтина церан тӀемаш дара, хӀораннан а тӀам вукхуьнан тӀомах кхеташ. Ши тӀам царна тӀехула дӀабоьдуш бара, ткъа вукху шина тӀомо церан дегӀ дӀахьулдора.</verse>
				<verse number="24">Уьш дӀадоьлхучу хенахь суна церан тӀемийн гӀовгӀа хезара. Церан тӀемаша, дӀадоьдуш долчу доккхачу хино санна, гӀовгӀа йоккхура. И гӀовгӀа Ницкъболчун аз санна, я эскаран гӀовгӀа санна хеталора. И дийнаташ дӀадоьлхучуьра совццушехь, тӀемаш церан агӀонашна тӀедуьжура.</verse>
				<verse number="25">Цу дийнаташа, саца а сецна, шайн тӀемаш охьадахийтича, церан кортошна тӀехуларчу нартолна тӀехулара аз схьахезара.</verse>
				<verse number="26">Церан кортошна тӀехуларчу нартолна тӀехула саппир олучу безачу тӀулгах йинчу Ӏаршах тера хӀума яра. Цу тӀехь адаман сибатехь волу цхьаъ Ӏаш волуш санна хетара.</verse>
				<verse number="27">Суна гира гӀодаюкъара дуьйна хьала, шена чуьра схьайолу цӀеран алу санна, иза лепачу цӀастанах тера хилар. Ткъа гӀодаюкъана охьа а цӀе летта лепаш санна йолу хӀума гира суна.</verse>
				<verse number="28">ДогӀа догӀучу хенахь мархашна юккъера схьакхетта стелаӀад санна, серло яра цунна гонах йогуш.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Иштта дара суна хӀоьттина долу Везачу Элан сийлаллин сурт. Сайна иза гича, голаш тӀе лаьтта охьа а воьжна, сайн юьхь лаьтта улло кхаччалц охьатаӀийра аса. Суна Вистхуьлучун аз хезира. Цо соьга элира: «Адаман кӀант! ХьалахӀотта хьайн когаш тӀе, Со хьоьга вистхила воллу».</verse>
				<verse number="2">Соьга Иза вистхуьлучу хенахь, суна чу Делан Са а деана, Цо со сайн когаш тӀе ирахӀоттийра. Къамел Деш Верг хезира суна.</verse>
				<verse number="3">Цо соьга элира: «Адаман кӀант! Ас хьо Исраилан халкъ долчу вохуьйту. Цу аьрхачу халкъо Суна букъ берзийна. Таханлерчу денна тӀекхаччалц уьш а, церан дай а, Суна дуьхьал а буьйлуш, лелаш бу.</verse>
				<verse number="4">Уьш чӀогӀа аьрха а, къиза а дегнаш долуш бу. Ас уьш болчу вохуьйту хьо. Ахьа цаьрга дӀаала деза: „Иштта боху Хьалдолчу Дала!“</verse>
				<verse number="5">Иза чӀогӀа духахьара тайпа ма ду. Амма цара хьоьга ладогӀахь а, я ла ца догӀахь а, шайна юкъахь пайхамар вехаш хилар хоийла царна.</verse>
				<verse number="6">Амма хьо, адаман кӀант, царах ма кхера. Хьо ишттачу церан къамелах а ма кхера. Кхера ма кхера, хьуна гонах уьш кӀохцалш а, коканан коьллаш а санна белахь а, сту лоцучу гезгашна юкъахь Ӏаш санна хьо хилахь а. Церан къамелех а, царах а ма кхера, уьш духахьарчу тайпанах белахь а.</verse>
				<verse number="7">Ас бохург цаьрга дӀаала, цара ладогӀахь а, ла ца догӀахь а. Уьш аьрха нах ма бу.</verse>
				<verse number="8">Ткъа ахьа, адаман кӀант, Ас хьайга бохучуьнга ладогӀа, уьш санна, аьрха а ма хила. Хьайн бага а гӀаттаяй, Ас хьайна лун долу дешнаш дӀадаа».</verse>
				<verse number="9">ТӀаккха суна сайга схьакховдийна долу куьг гира, цу куьйгахь хьарчийна тептар дара.</verse>
				<verse number="10">Цо и тептар суна хьалха схьадаьстира: оцу тептаран шинна а агӀонна тӀехь тийжарийн а, белхарийн а, узарийн а дешнаш дара яздина.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">Цо соьга элира: «Адаман кӀант! Хьайна хьалхара гуш дерг дӀадаа, дӀадаа и хьарчийна тептар. Цул тӀаьхьа, ваха а гӀой, Исраилан халкъе вистхила».</verse>
				<verse number="2">ТӀаккха Аса сайн бага гӀаттийра, Цо соьга и тептар дӀадаийтира.</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха Цо соьга элира: «Адаман кӀант! Хьайн кийра Ас хьайга дӀалучу хӀокху тептарх буза, иза дӀа а кхаллий». И тептар аса дӀакхаьллира, тӀаккха сан бага, моз кхаьллича санна, марзъелла дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="4">Цо соьга элира: «Адаман кӀант! Исраилан халкъ долчу а гӀой, цаьрца Сан дешнашца къамел де.</verse>
				<verse number="5">Аса хьо хьуна хууш боцу а, хийра а мотт буьйцучарна тӀе ца вохуьйту, амма Исраилан халкъ долчу вохуьйту.</verse>
				<verse number="6">Аса хьо ца вохуьйту, хьуна ца бевза хала мотт буьйцучу дуккха а долчу къаьмнашна тӀе. Уьш болчу а вахана, цаьрга хьо вистхилча, цара хьоьга ладугӀур дара.</verse>
				<verse number="7">Ткъа Исраилан халкъо хьоьга ладугӀур дац, хӀунда аьлча цунна Соьга ладогӀа а ца лаьа. Дерриг а Исраилан халкъ атта къар ца луш а, чӀогӀа дегнаш долуш а ду.</verse>
				<verse number="8">Амма Аса хьо, уьш санна къар ца луш а, чӀогӀа дог долуш а вина, дӀахӀоттор ву.</verse>
				<verse number="9">Алмаз тӀулгал а чӀогӀа ду, иштта чӀогӀа хир бу хьан корта а. Хьо царал а къар ца луш хир ву. Царах кхера а ма кхера, ийза а ма ло, иза юхахьадаьлла халкъ делахь а».</verse>
				<verse number="10">Цо соьга кхидӀа а элира: «Адаман кӀант! Ас хьайга мел олу дош хьайн дагца тӀеэца, хьайн лергашца дӀа а лаца.</verse>
				<verse number="11">Бавел-махка йийсаре дӀабигначу хьайн къомах берш болчу а гӀой, цара хьоьга ладогӀахь а, ла ца догӀахь а, цаьрга дӀаала: „Иштта боху Хьалдолчу Дала!“»</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха со Делан Сино хьалаайира. Сайн букъ тӀехьа суна чӀогӀачу гӀовгӀанан аз хезира. Оцу озо олура: «Ша Ӏаш волчу меттехь Везачу Элан сийлаллина хастам хуьлда!»</verse>
				<verse number="13">Суна иштта дийнатийн тӀемаш вовшахъхьекхалуш а хезира, царна уллорачу чкъургаша еш йолу гӀовгӀа а хезира. Иза стигал къекъарх тера яра.</verse>
				<verse number="14">Делан Сино со, хьала а айина, дӀаваьхьира. Догдоьхна, са карзахдаьлла вара со. Везачу Элан куьг дара суна тӀехь чӀоггӀа лаьтташ.</verse>
				<verse number="15">Тал-Авивехь Кабар-хина уллохь Ӏаш болу йийсарехь берш болчу вахара со. ВорхӀ дийнахь Ӏийра со цигахь, царна юкъахь, чӀогӀа догдоьхна а волуш.</verse>
				<verse number="16">ВорхӀ де дӀадаьлча, соьга Везачу Элан дош кхечира:</verse>
				<verse number="17">«Адаман кӀант! Ас Исраилан халкъан гӀаролхо вина хьох. Соьгара болу хаам хьайна мосазза хези, Сан цӀарах цаьрга дӀахьедар дан деза ахьа.</verse>
				<verse number="18">Ас зуламхочуьнга: „Хьо лийр ву!“ алахь, ахьа цуьнга иза дӀаала деза, цу стаге, харц некъа тӀера дӀавала аьлла, дӀахьедан а деза, цуьнга шен са кӀелхьардаккхийтархьама. Ахьа иза ца дахь, и стаг шен къинош бахьана долуш лийр ву, ткъа цуьнан цӀийх Аса хьоьгара жоп доьхур ду.</verse>
				<verse number="19">Амма ахьа цуьнга дӀахьедар динчул тӀаьхьа иза къинош леточуьра ца сацахь, иза шен къинош бахьана долуш лийр ву, ткъа ахьа хьайн дахар кӀелхьардоккхур ду.</verse>
				<verse number="20">Нагахь санна бакъахьа леларг, шен нийсачу некъа тӀера а ваьлла, харцдерг лело волалахь, Аса цунна новкъарло а йийр ю, иза лийр а ву. Иза шен къинош бахьана долуш лийр ву, ахьа цуьнга дӀахьедар ца дина дела. Цо дина бакъахьара гӀуллакхаш Суна дагадогӀур дац, ткъа цуьнан цӀийх Ас хьоьга жоп доьхур ду.</verse>
				<verse number="21">Нагахь ахьа бакъахьа лелачуьнга, къинош ма летаде аьлла, дӀахьедахь, ткъа цо къинош а ца летадахь, иза билггал дийна вуьсур ву, хӀунда аьлча цо тидам бира шега динчу дӀахьедарх. Ткъа хьо хьайн са кӀелхьардаьккхина хир ву».</verse>
				<verse number="22">Цул тӀаьхьа суна тӀе Везачу Элан ницкъ боьссира, Цо соьга элира: «Хьала а гӀаттий, аренга дӀагӀо, цигахь Со вист хир ву хьоьга».</verse>
				<verse number="23">Хьала а гӀаьттина, со аренга дӀавахара. Цигахь лаьтташ Везачу Элан сийлалла дара, суна Кабар-хина уллохь гинарг санна долу. ТӀаккха со сайн юьхь лаьтта тӀе кхачош охьавуьйжира.</verse>
				<verse number="24">ТӀаккха, суна чу Делан Са а доьссина, Цо со когаш тӀе ирахӀоттийра. ТӀаккха Иза соьга вистхилира: «Хьайн цӀа а гӀой, цу чохь дӀакъовлало.</verse>
				<verse number="25">Хьо, адаман кӀант, машшашца дӀа а воьхкур ву, хьо нахана юкъахь ца лелавалийтархьама.</verse>
				<verse number="26">Ас хьан мотт хьан къамкъаргах дӀалатор бу, хьо вист ца хилавалийтархьама а, хьоьга и нах дӀа ца хьебайтархьама а, хӀунда аьлча иза аьрха халкъ ду.</verse>
				<verse number="27">Цул тӀаьхьа, Ас хьоьца кхидӀа а къамел дича, хьан бага хьалагӀатталур ю, хьан цаьрга ала йиш хир ю: „Хьалдолчу Дала иштта боху!“ ЛадогӀа луучо ладогӀа, ладогӀа ца луучо ла ма догӀа, хӀунда аьлча иза аьрха халкъ ду».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">«Адаман кӀант, кибарчиг схьа а эций, иза хьайна хьалха дӀахӀоттае, ткъа цунна тӀехь Ярушалайм-гӀалин сурт дилла.</verse>
				<verse number="2">ТӀаккха гӀалина го лаца: иза схьаяккхархьама тӀеман гӀирс а дӀахӀоттабе, лаьттан гунаш а де, меттаметтанаш а де, царна гонах кевнаш дохош долу бӀогӀамаш а хӀиттаде.</verse>
				<verse number="3">Цул тӀаьхьа бепиг дотту аьчка у схьа а эций, хьайний, цу гӀалиний юккъе дӀахӀоттаде. Цу гӀалина тӀе а верзий, цунна го а бай, иза схьаяккха хьажа. Иза Исраилан халкъана билгало хир ю.</verse>
				<verse number="4">Юха ахьа, аьрру агӀор охьа а вижий, Исраилан халкъан къинош хьайна тӀеэца. Хьо цу аьрру агӀонна тӀехь мел Ӏуьллу, оццул ханна и къинош хьуна тӀехь хир ду.</verse>
				<verse number="5">Аса хьуна тӀехь и къинош хила деза денош, цхьа де цхьана шарца а нисдеш, терахь хӀоттийна. Кхо бӀе дезткъе итт дийнахь хир ду хьуна тӀехь Исраилан халкъан къинош.</verse>
				<verse number="6">Иза хьо дина ваьллачул тӀаьхьа, аьтту агӀор а верзий, шовзткъа дийнахь Ӏилла. Цу деношкахь ахьа ЯхӀудан халкъан къинош хьайна тӀеоьцу, цхьа де цхьана шарца а нисдеш: оццул хан ю Ас хьуна билгалъяьккхинарг.</verse>
				<verse number="7">Хьайн бӀаьргаш го лаьцначу Ярушалаймана тӀе а хьажабай, берзинчу пхьаьрсаца цунна дуьхьал Делера болу хаамаш бе.</verse>
				<verse number="8">Ткъа хӀинца хьажал, Ас хьо машшашца дӀавоьхкур ву, хьо цхьана агӀора вукху агӀор верза йиш йолуш вац, ахьа гӀалина го бина долу денош чекхдовллалц.</verse>
				<verse number="9">Хьайна кӀа а, мукх а, кхоьш а, хьозийн кхоьш а, Ӏов а схьа а эций, уьш цхьана пхьегӀи чу а йохкий, царах дама даккха. Цу демах хьайна баьпкаш де, хӀора хьайн цигахь аьрру агӀор Ӏилла везачу дийнан цӀарах цхьацца бепиг а деш. Ахьа уьш кхаа бӀе дезткъе итт дийнахь даа деза.</verse>
				<verse number="10">Ахьа хӀора дийнахь юуш йолчу хӀуманан барам ткъа шекхал хила еза. Иза дийнан дохаллехь шен-шен барамехь яа еза.</verse>
				<verse number="11">Дийнахь сарралц кхо кад хи мала йиш ю хьан, билгалъяьхначу хенашкахь а молуш.</verse>
				<verse number="12">Адамах дӀакъаьстинчу якъаеллачу боьхаллашна тӀехь датта а доттуш, хьайн кхача, мекхан демах бина хьокхам санна, баа беза ахьа, адамашна дӀа а гойтуш».</verse>
				<verse number="13">Цул тӀаьхьа Везачу Эло элира: «Оцу хӀумано гойтур ду, Исраилан халкъо хьарам кхача муха боу, Ас, шаьш цӀера ара а даьхна, кхин къаьмнаш долчу дӀалаьхкича».</verse>
				<verse number="14">ТӀаккха аса элира: «Ва Хьалдолу Дела! Ас цкъа а ца йиъна Хьуна боьха хеташ йолу хӀума, ас иштта цкъа а ца диъна урс хьакхаза долчу я акхароша дийначу бежанан жижиг. Сан багахула, со жима волчу хенахь дуьйна хӀокху хене кхаччалц, хьарам кхача чекх ца баьлла».</verse>
				<verse number="15">ТӀаккха Везачу Эло соьга элира: «Дика ду, Ас пурба лур ду хьуна адамийн боьхаллийн метта бежанийн кхо даго, хьайна кхача бечу хенахь».</verse>
				<verse number="16">Цул тӀаьхьа Цо элира: «Адаман кӀант! Ас Ярушалаймехь болу кхача берриг а чекхбаьккхина хуьлуьйтур бу. Шаьш буьстина бууш болу кхача наха кхерамца буур бу. Ткъа шаьш дуьстина молуш долу хи цара шайн доьхначу дагца мер ду,</verse>
				<verse number="17">хӀунда аьлча цигахь адамашна даъал бепиг а, маллал хи а хир дац. Уьш инзарбевлла вовшашка хьоьжур а бу, уьш телхар а бу. Иза хир ду церан къинош бахьана долуш».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">«Ткъа ахьа, адаман кӀант, ира шаьлта схьа а эций, цуьнца, маж йошучун уьрсаца санна, хьайн маж а, коьртара месаш а дӀаяша. Терза схьа а эций, и месаш кхаа декъе екъа.</verse>
				<verse number="2">Цу месех кхозлагӀа долу дакъа, гӀалина го бина долу денош чекхдевлча, айхьа динчу гӀалин суьртана юккъе охьа а диллий, дагаде. Важа дакъа гӀалина гонах шаьлтанца хедадай, охьадилла. Месийн тӀаьххьара дакъа мохехь дӀасадаржаде, ткъа Со хьалаайинчу туьраца цунна тӀаьхьавер ву.</verse>
				<verse number="3">Ткъа ахьа, ваха а гӀой, цу месех долу жима дакъа схьа а эций, хьайн бедаран дуьхах дӀадехка.</verse>
				<verse number="4">Хьайн бедарх дӀайихкинчу месех жимма месаш схьа а эций, уьш цӀерга кхийса, цигахь ягийтархьама. Оцу декъара яьлла цӀе дӀасаяржор ю Исраилан массо а халкъана тӀекхаччалц».</verse>
				<verse number="5">Цул тӀаьхьа Хьалдолчу Эло элира: «ХӀара ю Ярушалайм-гӀала. Мехкаш гонах а долуш, иза кхечу къаьмнашна юккъе дӀахӀоттийра Аса.</verse>
				<verse number="6">Ур-атталла кхечу къаьмнел а, гонах мел долчу халкъел а Ярушалайман бахархой Сан тӀедехкинаршна, Сан парзашна а дуьхьалбевллера. Сан тӀедехкинарш цара дӀатеттира, ткъа Сан парзаш лар ца дора цара».</verse>
				<verse number="7">Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху: «Кхечу къаьмнел а чӀогӀа аьрха хиларна а, Сан парзаш лар ца дарна а, Сан тӀедехкинарш кхочуш ца дарна а, ур-атталла шуна гонах долчу халкъаша тӀелаьцна бакъонаш лар ца ярна а,</verse>
				<verse number="8">Хьалдолу Эла волчу Аса боху: „ХӀинца Со шуна дуьхьалваьлла. Кхечу къаьмнашна хьалха Ас шуна тӀехь кхел йийр ю.</verse>
				<verse number="9">Аса шуна тӀехь Айса цхьанна а тӀехь ца динарг а, я цхьанна а тӀехь кхин цкъа а дийр доцург а дийр ду, аша мел дина дегаза гӀуллакхаш бахьана долуш.</verse>
				<verse number="10">Иштта, мацалла хӀоьттинчу хенахь дайша шайн бераш дуур ду, ткъа бераша шайн дай буур бу. Ас йийр ю шуна тӀехь кхел, ткъа бисинарш массо а маьӀӀехула дӀасалохкур бу“.</verse>
				<verse number="11">Иштта дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Хьалдолу Эла волчу Аса, шайн боьхачу цӀушца а, шаьш мел лелийначу дегазчу гӀуллакхашца а аша Сан еза Меттиг сийсазъяккхарна, Аса Сайх дӀахадор ду шу. Со шуьга къинхетам боцуш хьожур ву, шу кхоа а ца деш.</verse>
				<verse number="12">Хьан бахархойх цхьа дакъа, Ярушалайм-гӀала, Ӏожаллин ун а, мацалла а бахьана долуш лийр ду хьуна чохь, шолгӀа долу дакъа мостагӀийн туьро хӀаллакдийр ду хьуна гонах, ткъа кхоалгӀа долу дакъа Аса массо а маьӀӀе дӀасадаржор ду, церан лорах карахь тарраш долу мостагӀий а бохуьйтур бу.</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха, Сан оьгӀазалла чекхъяьлча а, Сан дералла царна тӀехь йисча а, Со Ӏебар ву. Царна тӀехь йолу Сан моха чекхъяьлча, царна хуур ду Со — Сайн эмгараллехь вийцина волу Веза Эла хилар.</verse>
				<verse number="14">Ярушалайм, Ас хьох къапалг йийр ю. Гонах долчу кхечу къаьмнашна хьалха хьо юьхьӀаьржачу хӀуттур ю, ткъа хӀора хьуна тӀехволург хьох кхаьрдар ву.</verse>
				<verse number="15">Сайн оьгӀазаллехь а, дераллехь а хьуна тӀехь, кхел а йина, таӀзар дича, хьох эхье хӀума хир ю, хьох кхаьрдар а бу, гонах мел долчу халкъашна хьо дӀахьединарг я масална ялош ерг санна хир ю. Иштта боху Веза Эла волчу Аса.</verse>
				<verse number="16">Ас шуна тӀе мацаллин къиза пхерчий лохкур ду, шу хӀаллакдархьама. Аса шуна тӀехь йолу мацалла совйоккхур ю, ткъа шун кхачанан бух Ас хӀаллакбийр бу.</verse>
				<verse number="17">Шуна тӀе мацалла а, къиза акхарой а хьажор ю Аса. Цара шун бераш хӀаллакдийр ду. ГӀалахь Ӏожаллин ун а, баларш а хир ду, иштта Аса шуна тӀе тӀом хьажор бу. Иштта боху Веза Эла волчу Аса».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="6">
				<verse number="1">Соьга юха а Везачу Элан дош кхечира:</verse>
				<verse number="2">«Адаман кӀант! Исраил-махкарчу лаьмнашна дуьхьал вистхилий, Делера болу хаам бе цаьрга.</verse>
				<verse number="3">Цаьрга ала: „Исраил-махкара лаьмнаш! ЛадогӀа Хьалдолчу Элера долчу даше. Лаьмнашка а, гунашка а, боьранашка а, тогӀешка а Хьалдолчу Эло боху: Шуна тӀе тур хьажор ду, шун сагӀа доккху гунаш дохорхьама.</verse>
				<verse number="4">Шун сагӀа доккху меттигаш яссийна хир ю, ткъа хаза хьожа йогӀу хӀума яго меттигаш хӀаллакйина хир ю. Байъиначеран декъий Ас шун цӀушна хьалха охьакхуьссур ду.</verse>
				<verse number="5">Исраилхойн декъий Ас церан цӀушна хьалха охьадохкур ду, ткъа шун даьӀахкаш шун сагӀа доккхучу меттигашна гонах охьакхуьссур ю.</verse>
				<verse number="6">Шу дехаш йолу массо а гӀала яссийна хир ю, шун сагӀа доккху гунаш дохор ду, иштта шун сагӀа доккху меттигаш яссийна а, йохийна а хир ю, шун цӀуш кегбина а, хӀаллакбина а хир бу, хаза хьожа йогӀу хӀума яго меттигаш кегйина хир ю, аша шайн куьйга мел йинарг дӀаяьккхина хир ю.</verse>
				<verse number="7">Халкъах дукхахберш байъина охьаэгор бу, ткъа бисинчарна хуур ду, Со Веза Эла вуйла.</verse>
				<verse number="8">Амма шух цхьаберш кхечу къаьмнашца бечу тӀамах кӀелхьарбовлуьйтур бу Аса, ткъа уьш хийрачу мехкашкахула дӀасабаржийна хир бу.</verse>
				<verse number="9">Шух дийна бисинчарна, халкъашна юкъахь йийсарехь Ӏаш болчу хенахь, Со дагавогӀур ву. Шайн тешаме доцучу дегнашца Сох дӀадовларна а, церан бӀаьргашца цӀушна тӀаьхьахӀиттарна а Суна халахетта хиларх кхетар бу уьш. Иштта, церан шаьш-шайх дог дер ду, шаьш лелийна вон хӀуманаш а, шаьш мел дина дегаза гӀуллакхаш а бахьана долуш.</verse>
				<verse number="10">Царна хуур ду, Со Веза Эла вуйла а, Айса царна бохам боккхур бу Аса эрна аьлла доцийла а“».</verse>
				<verse number="11">Цул тӀаьхьа Хьалдолчу Эло соьга элира: «Куьйгаш вовшах а детташ, когаш а бетташ, дӀаала: „Жолам-яӀ!“, исраилхоша лелийна долчу дерриг а вочу а, дегазчу а гӀуллакхашна. Уьш тур а, мацалла а, Ӏожаллин ун а бахьана долуш хӀаллакьхир ма бу.</verse>
				<verse number="12">Генахь верг Ӏожаллин ун бахьана долуш лийр ву, уллохь верг туьро вуьйр ву, ткъа дийна бисинарш мацаллех лийр бу. Иштта охьайоссор ю Аса царна тӀе Сайн оьгӀазалла.</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла, хӀаллакбина болу уьш шайн цӀушна юкъахь а, шайн сагӀа доккхучу меттигашна гонах а, иштта дерриг а гунашна тӀехь а, лаьмнийн баххьашна тӀехь а, хӀора тӀехь гӀа долчу дитта кӀел а, иштта шен гаьннаш дӀаса дахийтинчу ножан диттана кӀел а — шаьш хаза хьожа йогӀу хӀуманаш цӀушна лерина ягийначу массо а меттехь — шаьш Ӏохкучу хенахь.</verse>
				<verse number="14">Сайн ницкъ царна тӀе а берзийна, къилбехьа йолчу яьссачу аренна тӀера дуьйна къилбаседехь йолчу Дабила-гӀалина тӀекхаччалц Ас дассийна дӀахӀоттор ду уьш бехаш болу дерриг а латта. ТӀаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="7">
				<verse number="1">ТӀаккха со волчу Везачу Элан дош кхечира:</verse>
				<verse number="2">«ХӀинца, адаман кӀант, хӀара бу хьуна Хьалдолу Эла волчу Соьгара Исраил-мехкан халкъана лерина болу хаам: тӀекхаьчна чаккхе. Берриг а мехкан еа а маьӀӀе кхаччалц тӀекхаьчна чаккхе.</verse>
				<verse number="3">Исраилхой, шуна чаккхе тӀекхаьчна. Сайн оьгӀазалла охьаӀанор ю ас шуна тӀе. Ас кхел йийр ю шуна, аша лелийначу дерриг а вонашка хьаьжжина, ткъа Ас бекхам бийр бу шуна, аша мел лелийначу дегазчу гӀуллакхашка хьаьжжина.</verse>
				<verse number="4">Ас къинхетам бийр бац шух, кхоор дац шу. Аша лелийначунна а, шун дегазчу гӀуллакхашна а бекхам бийр бу Аса. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла».</verse>
				<verse number="5">Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Бохамна тӀаьхьахӀоьттина богӀуш бохам бу!</verse>
				<verse number="6">ТӀекхочуш ю чаккхе! Улло кхаьчна чаккхе. Иза кестта шу долчохь хир ю. Иза хӀинцале а тӀекхаьчна.</verse>
				<verse number="7">Исраил-махкахь Ӏаш берш, бохаман рагӀ шуна тӀекхаьчна. Дог доьхначеран зама тӀекхаьчна, уллохь ду лаьмнашкахь синкъераман гӀовгӀа ца хеза де.</verse>
				<verse number="8">Кестта Аса шуна тӀе охьаӀанор ю Сайн дералла, ткъа Сан оьгӀазалла шуьга кхочур ю. Ас кхел йийр ю шуна, аша лелийначу дерриг а вонашка хьаьжжина, Ас бекхам а бийр бу шуна, аша мел лелийначу дегазчу гӀуллакхашка хьаьжжина.</verse>
				<verse number="9">Шух къинхетам а бийр бац, шу кхоор а дац Аса. Аша лелийначунна а, шун дегазчу гӀуллакхашна а бекхам бийр бу Аса шуна. ТӀаккха хуур ду шуна, таӀзар Дийриг Веза Эла волу Со вуйла.</verse>
				<verse number="10">ТӀекхаьчна и де! ТӀекхаьчна карзахдаларан зама! Бохаман рагӀ тӀекхаьчна. Харцоно заза даьккхина, куралла хьалакхиъна.</verse>
				<verse number="11">ГӀелоно харцо кхиайо. Царах цхьа а вуьсур вац. Цхьа а хӀума дуьсур дац оцу тобанах а, церан бахамах а, церан сийлаллех а.</verse>
				<verse number="12">ТӀекхаьчна зама, тӀедеана къематде. ХӀума эцнарг цунах воккха ма вевойла, ткъа хӀума йоьхкинарг цунах дог доьхна ма хуьлийла, хӀунда аьлча Сан оьгӀазвахар массарна а ду.</verse>
				<verse number="13">ХӀума йоьхкинарг ша доьхкинчу лаьтта тӀе юхавоьрзур вац, иза а, хӀума эцнарг а дийна волчу хенахь, хӀунда аьлча хӀокху суьртехь хӀоьттинарг массарна а ду, ткъа иза юха ца доьрзуш ду. Шайн къинош бахьана долуш царах цхьаьнгге а шайн дахар кӀелхьара а даккхалур дац.</verse>
				<verse number="14">Цара коьман маӀа локхур ю, уьш тӀамана а кечлур бу, амма царах цхьа а тӀамтӀе а гӀур вац, хӀунда аьлча Сан оьгӀазвахар массарна а ду».</verse>
				<verse number="15">«Карахь тарраш долу мостагӀий гӀалина арахь бу, ткъа Ӏожаллин ун а, мацалла а гӀалина чохь ю. Аренашкахь берш туьро бойур бу, гӀалина чоьхьа берш мацалло а, Ӏожаллин уьно а хӀаллакбийр бу.</verse>
				<verse number="16">Ткъа биснарш, лаьмнашка дӀа а бахана, цигахь хир бу, тогӀешкара къаьхкина кхокхий санна. Шаьш летийна къинош бахьана долуш, цара узарш дийр ду.</verse>
				<verse number="17">Массеран а куьйгаш охьадахана хир ду, ткъа церан когийн голаш, хи санна, егош хир ю.</verse>
				<verse number="18">Цара шайна тӀе сингаттаман духар духур ду, церан массеран а дагахь кхерам хир бу, хӀораннан а юьхь тӀехь юьхьӀаьржачу хӀоттар а хир ду, цара массара а шайн кортош дошур ду.</verse>
				<verse number="19">Цара шайн дети аракхуссур ду, шайн деших дегаза хӀума хир ю царна. Везачу Элан дераллин дийнахь кӀезиг гӀо хир ду царна шайн деших а, детих а. Оцу хӀуманашка церан мацалла а дӀаяккхалур яц, церан геш а дузалур дац, хӀунда аьлча уьш бахьана долуш цара къинош летийна.</verse>
				<verse number="20">Шайн дашочу а, даточу а хӀуманех дозаллаш а дора цара, ткъа оцу хӀуманех шайн дегаза а, ирча а цӀуш бора, цундела Аса оцу хӀуманех царна дегаза хеташ долу хӀума дийр ду.</verse>
				<verse number="21">Ас и хӀуманаш хӀонс санна хийрачу нехан кара дӀалур ю, ткъа дуьнен чуьра зуламхоша, деши а, дети а схьа а эцна, иза бехдийр ду.</verse>
				<verse number="22">Ас царна букъ берзор бу, ткъа хийрачу наха, Сан цӀа чу а бахана, иза сийсаздоккхур ду. Цу чу талорхой а бахана, цара иза бехдийр ду.</verse>
				<verse number="23">Дейша буржалш, хӀунда аьлча цӀий Ӏанош болчарах буьзна бу хӀара мохк, гӀело ечарах юьзна ю хӀара гӀала.</verse>
				<verse number="24">Аса кхечу къаьмнех уггар къиза халкъаш схьадалор ду кхуза, цара Исраил-махкара цӀенош дӀалоцур ду. Ас йохор ю ницкъболчеран куралла, иштта церан еза меттигаш а сийсазйохур ю оцу халкъаша.</verse>
				<verse number="25">Къемат хӀуттур ду Сан халкъана тӀе. Цара машар лохур бу, амма иза царна карор бац.</verse>
				<verse number="26">Цхьа сингаттам дӀабалале важа сингаттам схьакхочур бу, цхьа ирча кхаъ схьакхаьчна балале важа а кхочур бу. Цара пайхамаршка хоьттур ду, амма царна суьрташ хӀуьттур дац. Динан дайшка нахана товрат Ӏамалур дац, къаношка царна хьехам а балур бац.</verse>
				<verse number="27">Паччахь тийжаш хир ву, эла догдоьхна хир ву, ткъа адамийн дегнаш тӀе тесна кхерам хир бу. Ас цара лелийначуьнга хьаьжжина дерг дӀалур ду царна. Шаьш кхечарна йинчу кхеле хьаьжжина, Ас цу нахана а кхел йийр ю. ТӀаккха хуур ду царна, Со Веза эла вуйла».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="8">
				<verse number="1">Халкъан цхьа дакъа Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа йолхалгӀачу шеран йолхалгӀачу беттан пхоьалгӀачу дийнахь, со сайн цӀа чохь хиъна Ӏаш а волуш, суна хьалха хевшина Ӏаш яхӀудхойн къаной а болуш, Хьалдолчу Элан ницкъ боьссира суна тӀе.</verse>
				<verse number="2">Суна адаман дегӀан суьртехь цӀерах йогуш йолу цхьа хӀума гира. Цуьнан гӀодаюкъара дуьйна охьайолу меттиг йогуш йолу цӀе санна яра, ткъа цуьнан гӀодаюкъара дуьйна хьаладолу цуьнан сибат лепаш долу цӀаста санна дара.</verse>
				<verse number="3">Куьг санна йолу меже схьа а кховдийна, Цо сан коьртара месаш схьалецира. ТӀаккха Делан Сино со лаьттаний, стигаланий юккъе хьалаайира. Дала хӀиттийначу суьрташкахь Цо со Ярушалайм-гӀала, Делан цӀенна къилбаседехьа йолчу чоьхьарчу кертан кевнна улло, дӀавигира, эмгаралла хуьлуьйту цӀу лаьтташ волчу.</verse>
				<verse number="4">Цигахь Исраилан халкъан Делан сийлалла яра, суна Кабар-хина уллохь йолчу аренгахь гинарг санна йолу.</verse>
				<verse number="5">Цо соьга элира: «Адаман кӀант! Къилбаседехьа дӀахьажа». Со къилбаседехьа дӀахьаьжира. Цу меттехь долчу кевнан къилбаседехьарчу агӀор сагӀа доккхучу кхерчана уллохь лаьтташ эмгаралла хуьлуьйту цӀу вара.</verse>
				<verse number="6">ТӀаккха Цо соьга элира: «Адаман кӀант! Хьуна гуш дуй исраилхоша кхузахь деш долу дегаза гӀуллакхаш, Соьга Сан еза меттиг а юьтуьйтуш? Хьо кхин а дика хьажахь, хьуна кхин а чӀогӀа дегазниг а гур ду».</verse>
				<verse number="7">Цул тӀаьхьа Цо со цу кертан чувогӀийла йолчу схьавалийра, ткъа суна пенах даьккхина Ӏуьрг гира.</verse>
				<verse number="8">ТӀаккха Цо соьга элира: «Адаман кӀант! Пен ахка». Со и пен ахка волавелира. Суна цхьа неӀ гира.</verse>
				<verse number="9">Цо соьга элира: «Чоьхьа а валий, адамаша кхузахь деш долчу вочу а, дегазчу а хӀуманашка хьажа».</verse>
				<verse number="10">Чу а ваьлла, гонах дӀасахьаьжча, суна гира массанхьа а пенаш тӀехь дехкина текхаргийн а, дегазчу дийнатийн а, исраилхоша Ӏамал еш мел болчу цӀуйн а суьрташ.</verse>
				<verse number="11">Цу суьрташна хьалха лаьтташ вара Исраилан халкъан кхузткъе итт къано, ткъа царна юкъахь Шапанин кӀант Яъзан-ЯхӀу а вара. ХӀораннан а карахь хаза хьожа йогӀу хӀума чохь ягош йолу ной а яра. Цу нойш чуьра хьалаоьхуш сегӀазах йогӀу хаза хьожа яра.</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха Цо элира: «Адаман кӀант, гой хьуна Исраилан халкъан къаноша боданехь, шайн-шайн цӀушна лерина йолчу меттехь, дийриг? Цара хӀораммо а ша-шега боху: „Тхо Везачу Элана гуш дац, Веза Эла хӀокху махка тӀера дӀавахана“».</verse>
				<verse number="13">Цул тӀаьхьа Везачу Эло элира: «Хьуна гур ду цу наха кхин а дегаза хӀуманаш лелош».</verse>
				<verse number="14">Цо со Везачу Элан цӀийнан къилбаседехьа долчу кевнан неӀаре валийра. Цигахь суна харцдалла Тамузана тийжаш Ӏаш болу зударий гира.</verse>
				<verse number="15">Цо соьга элира: «ХӀара хӀума гой хьуна, адаман кӀант? Вало Соьца, кхин а ирча гӀуллакхаш а гур ду хьуна».</verse>
				<verse number="16">ТӀаккха Цо со Везачу Элан цӀийнан чоьхьарчу керта вигира. Цигахь суна охьатеӀаш лаьтташ волу ткъе пхиъ боьрша стаг гира. Уьш цӀийнан лабанний, сагӀа доккхучу кхерчаний юккъехь лаьтташ бара, Везачу Элан цӀенна букъ а берзийна. Церан яххьаш малхбалехьа дӀайирзина яра, ткъа уьш шаьш малхана корта бетташ бара.</verse>
				<verse number="17">Цо соьга элира: «Адаман кӀант, гуш дуй хьуна хӀара? Шаьш кхузахь мел деш долу дегаза хӀуманаш ЯхӀудан халкъана кӀезиг хета те? Цул сов, цара хӀара мохк гӀелонех бузу, хаддаза Со оьгӀаза а оьхуьйтуш. Хьажал, цара Сан мерана тӀе гаьннаш уьйу!</verse>
				<verse number="18">Цундела Аса дӀагойтур ю царна Сайн оьгӀазалла, царах къинхетам а бийр бац, уьш кхоор а бац Аса. Уьш, маьхьарий а детташ, Соьга кхайкха буьйлалур бу, амма Ас ладугӀур дац цаьрга».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="9">
				<verse number="1">Цул тӀаьхьа суна хезира, Дала мохь туххуш олуш: «Схьадуьйла кхуза, гӀалина таӀзар дан кечделларш, шайн карахь хӀаллакдаран герз долуш а хила».</verse>
				<verse number="2">Къилбаседехьа дӀадирзина лаьттачу лакхара ков долчу агӀонера схьавогӀуш ялх стаг гира суна. Церан хӀораннан а карахь хӀаллакдаран герз дара. Цаьрца кхин цхьа стаг вара, шена тӀеюьйхина дуткъачу кӀадих йина йолу бедарш а йолуш, гӀодаюкъарчу доьхкарх дӀабихкина яздархочун гӀирс а болуш. Схьа а баьхкина, сагӀа доккхучу цӀестан кхерчана улло дӀахӀиттира уьш.</verse>
				<verse number="3">Исраилан халкъан Делан олаллин нур, ша хиллачу каруб-маликана тӀера хьала а даьлла, Делан цӀийнан неӀсагӀина улло деара. ТӀаккха Везачу Эло дуткъачу кӀадих йина бедар а юьйхина, яздархочун гӀирс гӀодаюкъах дӀабихкина волу стаг Шена тӀекхайкхира.</verse>
				<verse number="4">Цо элира: «Ярушалаймехула дӀа а гӀой, гӀалахь мел лелош долу дегаза хӀуманаш бахьана долуш гӀайгӀа еш, узарш деш болчу нехан хьаж тӀехь билгало е».</verse>
				<verse number="5">Ткъа вукхаьрга Цо элира: «Цунна тӀаьхьа а хӀиттий, гӀалахула дӀагӀо, массо а хӀаллак а веш, цхьаннах а къинхетам а ца беш, цхьа а кхоа а ца веш:</verse>
				<verse number="6">я воккха стаг а, я жима стаг а, я йоӀ а, я нана а, я бер а. Хьаж тӀехь билгало йолчу цхьана а стагах шу дӀа ма хьакхало. Иза хӀокху Сан цӀенна тӀера дӀадоладе». ТӀаккха цара и хӀума Делан цӀенна хьалха Ӏаш болчу къаношна тӀера дӀадолийра.</verse>
				<verse number="7">Цаьрга Дала элира: «Сийсаздаккха Делан цӀа, цуьнан керт декъех хьалаюза. ХӀинца дӀагӀо!» Уьш, ара а бевлла, гӀалахь адамаш хӀаллакдан буьйлабелира.</verse>
				<verse number="8">Уьш нах хӀаллакбан дӀабахча, со цигахь сецира. Лаьтта кхаччалц бертал охьа а таьӀна, аса элира: «Ва, Хьалдолу Эла, Ярушалаймана тӀе Хьайн дералла яржош, исраилхойх массо а тӀаьхьабиснарш хӀаллакбан воллу те Хьо?»</verse>
				<verse number="9">Цо суна жоп делира: «Дукха къинош летийна Исраилан халкъан а, ЯхӀудан халкъан а наха. Цара берриг а мохк нах хӀаллакбарх хьалабуьзнера, ткъа гӀалахь харцонаш яржийнера. Адамаша шаьш-шайга бохура: „Веза Эла хӀокху махка тӀера дӀавахана, тхо Везачу Элана гуш дац“.</verse>
				<verse number="10">Иштта, Ас цу нахах къинхетам бийр бац, уьш кхоор бац. Царах даьлларг церан шайн кортошна тӀе дожор ду Аса».</verse>
				<verse number="11">Цул тӀаьхьа дуткъачу кӀадинан бедарш а юьйхина, гӀодаюкъах дӀабихкина яздархочун гӀирс болчу стага, юха а веана, элира: «Ахьа соьга мел аьлларг ас кхочушдина».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="10">
				<verse number="1">ТӀаккха суна хьалахьаьжча, каруб-маликийн кортошна тӀехула йолчу нартолна тӀехь йолу хӀума гира. Иза саппир олу беза тӀулг санна лепара, иштта паччахьан гӀантан куьцехь а яра иза.</verse>
				<verse number="2">Дуткъачу кӀадинан бедарш йолчу стаге Везачу Эло элира: «Каруб-маликашна бухахь йолчу хьийзачу чкъургашна юккъехула чекх а валий, канаш юззий, каруб-маликашна юкъара догуш долу кӀегий схьа а эций, уьш гӀалина тӀе дӀасакхисса». Со хьоьжучу хенахь и стаг дӀавахара.</verse>
				<verse number="3">Каруб-маликаш Делан цӀийнан къилберачу агӀор лаьтташ дара, и стаг чкъургашна юккъе дӀавахча. ТӀаккха цхьана мархо цӀийнан чухулара керт хьалаюьзира.</verse>
				<verse number="4">Цул тӀаьхьа каруб-маликашна тӀехула йолу Везачу Элан сийлалла, хьалаайа а елла, неӀсагӀехьа дӀайолаелира, тӀаккха Делан цӀа оцу мархах хьаладуьзира, ткъа ерриг а керт Везачу Элан сийлаллин нуьрах хьалаюьзира.</verse>
				<verse number="5">Каруб-маликаша лестош долчу тӀемийн гӀовгӀа арахьарчу кертахь а хезаш яра, Нуьцкъала Дела вистхуьлуш ма-хаззара.</verse>
				<verse number="6">Дуткъачу кӀадих йина бедарш юьйхина волчу стаге: «Каруб-маликаш долчуьра чкъургашна юккъехь догуш долу кӀегий схьаэца», Везачу Эло аьллачул тӀаьхьа, и стаг, мархина юккъе а ваьлла, цхьана чкъургана улло дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="7">ТӀаккха каруб-маликех цхьаммо, царна юккъехь йогуш йолчу цӀарна тӀе куьг дӀа а кховдийна, цигара кӀегий схьа а эцна, уьш дуткъачу кӀадих йина бедарш юьйхина волчу стаге дӀаделира. Уьш схьа а эцна, и стаг аравелира.</verse>
				<verse number="8">Каруб-маликийн тӀемашна бухахь адаман куьйгаш долуш санна хетара.</verse>
				<verse number="9">ДӀахьаьжча, суна гира каруб-маликашна уллохь йиъ чкъург, хӀора маликана уллохь цхьацца чкъург а йолуш, ткъа и чкъургаш хризолит олучу безачу тӀулгех йича санна лепаш яра.</verse>
				<verse number="10">ХӀора чкъурган кеп цхьатерра яра, ткъа цхьа чкъург кхечу чкъургана чохь йолуш санна хеталора.</verse>
				<verse number="11">И чкъургаш дӀайоьлхучу хенахь каруб-маликашна хьалха йолчу муьлхха а еа агӀонгахьа цаьрга дӀайигалора. Чкъургаш дӀаса а ца йоьрзуш, каруб-маликашка нийсса дӀайигалора. Еа юьхьан хӀора агӀор цаьрца цхьаьна чкъургаш а дӀаяхалора, цхьанхьа а дӀаса а ца йоьрзуш.</verse>
				<verse number="12">Церан дерриг а дегӀ — букъ а, куьйгаш а, тӀемаш а, иштта йиъ чкъург а — бӀаьргех дуьззина дара.</verse>
				<verse number="13">Хьалха суна «хьийза чкъургаш» олу чкъургаш яра уьш.</verse>
				<verse number="14">Цу хӀора каруб-маликан йиъ юьхь яра: хьалхара юьхь — каруб-маликан юьхь яра, шолгӀаниг — адаман, кхозлагӀниг — лоьман, ткъа йоьалгӀаниг — аьрзунан юьхь яра.</verse>
				<verse number="15">Каруб-маликаш хьалаайаделира. И дийнаташ суна Кабар-хина уллохь гинарш дара.</verse>
				<verse number="16">Уьш дӀадоьлхучу хенахь царна уллора чкъургаш а дӀаоьхура, ткъа цара шайн тӀемаш хьалаайдича, лаьттара хӀаваэ хьаладовла, и чкъургаш цаьрца нийсса хьалайоьлхура.</verse>
				<verse number="17">Уьш лаьттачу хенахь, чкъургаш а лаьттара, ткъа уьш хьалаайаделча, уьш а цаьрца нийсса хьалаайалора, шайна чохь цу дийнатийн са долу дела.</verse>
				<verse number="18">ТӀаккха Везачу Элан сийлалла, Делан цӀийнан неӀсагӀина уллора дӀа а даьлла, каруб-маликашна тӀехула сецира.</verse>
				<verse number="19">Ткъа уьш, шайн тӀемаш хьала а айдина, суна а гуш, лаьттара хьаладахара. Уьш дӀадоьлхучу хенахь царна уллохь чкъургаш а дӀаоьхура. Уьш Везачу Элан цӀийнан малхбалехьа долчу кевнна хьалха дӀахӀиттира, ткъа Исраилан халкъан Делан сийлалла царна тӀехула яра.</verse>
				<verse number="20">Суна дагадеара и дийнаташ: уьш Кабар-хина уллохь Исраилан халкъан Далла бухахь хилла долу дийнаташ дара. Суна хиира уьш каруб-маликаш хилар.</verse>
				<verse number="21">Церан хӀораннан а йиъ юьхь а яра, биъ тӀам а бара, ткъа цу тӀемаш кӀел адаман куьйгаш долуш санна а хетара.</verse>
				<verse number="22">Церан яххьаш суна Кабар-хина уллохь гиначу дийнатийн яххьех тера яра. Ткъа ша дӀадолалучу хенахь хӀора дийнат муьлххачу а агӀор дӀадахалора.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="11">
				<verse number="1">Делан Сино со, хьала а айина, Делан цӀийнан малхбалехьа долчу кевнна улло схьавалийра. Цигахь суна ткъе пхиъ стаг гира. Царна юкъахь халкъан куьйгалхой болу Ӏазуран кӀант Яъзан-ЯхӀу а, БенъяхӀун кӀант Палти-ЯхӀу а вара.</verse>
				<verse number="2">ТӀаккха Везачу Эло соьга элира: «Адаман кӀант! Хьуна хьалха лаьтташ берш зуламе ойла йолу нах бу, цара хӀокху гӀаларчу адамашна вон хьехарш до.</verse>
				<verse number="3">ХӀокхара боху: „Цкъачунна а вайна цӀенош ден йолу хан тӀе ца кхаьчна. Цу гӀалахь вай кхерамехь дац, цигахь вай яй чу тесна жижиг санна ду“.</verse>
				<verse number="4">Цундела ахьа, адаман кӀант, царна дуьхьал Делера болу хаамаш бан беза. Вало, бе и хаамаш».</verse>
				<verse number="5">Цул тӀаьхьа суна тӀе Везачу Элан Са доьссира. Цо соьга элира: «Везачу Эло иштта боху ала: „Шайна юкъахь ахьа иштта олуш ма ду, Исраилан халкъ. Хьан дагахь мел дерг Суна хууш ма ду!</verse>
				<verse number="6">Дукха адам хӀаллакдина аша кху гӀалахь, цуьнан урамаш декъех а дузуш“.</verse>
				<verse number="7">Цундела Хьалдолу Эла волчу Аса боху: „Аша цигахь байъина охьабехкина нах — жижиг ду, ткъа и гӀала — яй бу, амма Ас шу цигара арадохур ду.</verse>
				<verse number="8">Шу туьрах кхоьруш ду, амма Ас и тур шуна тӀехьажор ду. — Иштта боху Хьалдолу Эла волчу Аса. —</verse>
				<verse number="9">Цу гӀалара ара а даьхна, Ас шу хийрачу махкарчу нехан кара дӀа а лур ду, шуна кхел а йийр ю.</verse>
				<verse number="10">Шу туьро хӀаллакдийр ду, Исраил-махкахь Аса таӀзар дийр ду шуна. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла.</verse>
				<verse number="11">ХӀара гӀала шуна кхераме боцу яй хилла дӀахӀуттур яц, ткъа шу цу чохь долу жижиг санна маьрша хир дац. Ас шуна кхузахь, берриг Исраил-махкахь, таӀзар дийр ду.</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла. Сан парзашца шу ца лелара, Аса тӀедехкинарш кхочуш а ца дора аша, ткъа шайна гонах дехаш долчу къаьмнаша тӀелаьцна бакъонаш аша ларйора“».</verse>
				<verse number="13">Аса Делера болу хаамаш бечу хенахь БенъяхӀун кӀант Палти-ЯхӀу кхелхира. Лаьтта охьа а воьжна, корта а таӀийна, аса мохь туххуш элира: «Хьалдолу Эла, Хьо Исраилан халкъах дийна висина мел волу стаг хӀаллакван воллу те?»</verse>
				<verse number="14">ТӀаккха соьга Везачу Элера дош кхечира:</verse>
				<verse number="15">«Адаман кӀант! Хьан вежарех — хьан гергарнаш болчу вежарех а, дерриг а Исраилан халкъах а лаьцна — Ярушалаймехь бехаш болчара боху: „Далла гена а бевлла, бехаш Ӏаш бу уьш, ткъа хӀара латта тхуна, тхайн долахь долуш санна, схьаделла ду“.</verse>
				<verse number="16">Цундела ахьа цу нахе дӀаала: „Хьалдолчу Эло боху: ‘И нах Аса генарчу махка дӀабахийтинехь а, уьш кхечу къаьмнашна юкъахь дӀасабаржийнехь а, цхьана ханна Со царна деза цӀа санна хир ву уьш дӀабаханчу мехкашкахь’“.</verse>
				<verse number="17">Кхин а ала цаьрга: „Хьалдолу Эла волчу Аса шу массо а къаьмнашкара схьагулдийр а ду, шу дӀасадаржийначу мехкашкара юхадерзор а ду, ткъа Исраил-махкара латта шуна юха дӀа а лур ду Аса“.</verse>
				<verse number="18">Сан халкъо, ша цига юхадирзича, берриг а дегаза а, ирча а цӀуш схьа а гулбина, уьш хӀаллакбийр бу.</verse>
				<verse number="19">Ас царна шалхо йоцуш долу дог а лур ду, иштта керла са а кхуллур ду Ас царна чохь. Царна чуьра церан тӀулган дегнаш дӀа а даьхна, царна дилханан дегнаш кхуллур ду Аса.</verse>
				<verse number="20">Цу тайпана Сан парзашца лелар бу уьш, Сан тӀедехкинарш, лар а деш, кхочушдийр ду цара. Царах Сан халкъ хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву.</verse>
				<verse number="21">Амма шайн дегнашца дегаза а, ирча а болчу цӀушна тӀебирзинчаьрга хьаьжжина, царах даьлларг церан шайн кортошна тӀе дожор ду Аса». Иштта боху Хьалдолчу Эло.</verse>
				<verse number="22">ТӀаккха каруб-маликаш, шайн тӀемаш дӀаса а даржийна, стигала хьаладевлира, чкъургаш а царна уллохь яра. Исраилан халкъан Делан сийлаллин нур а дара царна тӀехула.</verse>
				<verse number="23">Везачу Элан сийлаллин нур, гӀалина юккъера хьала а даьлла, цунна малхбалехьа болчу лам тӀехула дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="24">Ша хӀоттийначу суьртехь Делан Сино со, хьала а айина, Бавел-махка юхавалийра, Исраил-махкара йийсаре дӀабигначу нахана тӀе. ТӀаккха и сурт соьгара дӀаделира.</verse>
				<verse number="25">Везачу Эло суна мел гайтинарг Исраил-махкара йийсаре дӀабигначаьрга дӀадийцира аса.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="12">
				<verse number="1">Везачу Элан дош кхечира соьга:</verse>
				<verse number="2">«Адаман кӀант! Хьо аьрхачу нахана юкъахь вехаш ву. Церан бӀаьргаш бу, амма царна хӀумма а ца го, церан лергаш а ду, амма царна хӀума а ца хеза, хӀунда аьлча уьш аьрха нах бу.</verse>
				<verse number="3">Ткъа ахьа, адаман кӀант, хьо йийсаре дӀавуьгуш волчуха ларча кечъе, ткъа дийнахь, массарна а гучу хенахь, новкъа валий, хьайн меттера кхечу метте дӀагӀо. ТӀаккха кхета а мега уьш. Делахь а иза аьрха къам ду.</verse>
				<verse number="4">Йийсарехь хьайна оьшуш йолу хӀуманаш а, хьо дӀаваха кечвеллийла хоуьйтуш, дийнахь араяха, ткъа суьйранна хьо а, йийсаре волуш санна, аравала.</verse>
				<verse number="5">Уьш хьоьжуш болчу хенахь, хьайн пенах Ӏуьрг а даккхий, цигахула аравала.</verse>
				<verse number="6">Царна гойтуш, хьайн ларча белш тӀе а йиллий, Ӏаржлучу хенахь дӀагӀо. Хьо муьлхачу агӀор воьду хьайна ца гайта, хьайн юьхь дӀакъовла, хӀунда аьлча Аса хьо дерриг а Исраилан халкъана масална дӀахӀоттийна».</verse>
				<verse number="7">Аса дерриг а, сайга аьлла ма-хиллара, дира. Йийсарехь сайна оьшуш йолу хӀуманаш, схьа а эцна, дийнахь араехира, ткъа суьйранна, куьйгаца пенах сайна Ӏуьрг а даьккхина, бодашкахула ларча ара а яьккхина, массарна а гуш, иза сайн белш тӀе йиллира.</verse>
				<verse number="8">Ӏуьйранна соьга Везачу Элан дош кхечира:</verse>
				<verse number="9">«Адаман кӀант! Исраилан аьрхачу къомо, хьо хӀун деш ву аьлла, хьоьга хаьттирий те?</verse>
				<verse number="10">ДӀаала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: хӀара араяьккхина ларча — Ярушалайман баьчча а, цигахь долу дерриг Исраилан къам а ду “.</verse>
				<verse number="11">ДӀаала цаьрга: „Со шуна билгало ю. Ас динарг шуна а тӀекхочур ду. Шу кхузара ара а дохур ду, йийсаре дӀа а дуьгур ду“.</verse>
				<verse number="12">Царна юкъара волу баьчча, бодашкахь шен карара ларчанаш белшаш тӀе а ехкина, аравер ву. Иза цигара аравалийта, пенах Ӏуьрг доккхур ду. Ткъа цо шен юьхь дӀакъовлур ю, ша воьду некъ шена ца гайта.</verse>
				<verse number="13">Ас цунна тӀе Сайн бой тосур ю, иза гураца схьа а лоцур ву. Цул тӀаьхьа иза Бавеле дӀавуьгур ву Аса, хашадхойн лаьтта тӀе, амма цунна и латта гур дац, иза цигахь лийр ву.</verse>
				<verse number="14">Ас паччахьна уллохь мел верг — цуьнан тӀеман хьехамчаш а, цуьнан дерриг эскар а — массо а маьӀӀехула дӀасалоллур ду, ткъа Со баттара даьккхинчу туьраца тӀаьхьавер ву царна.</verse>
				<verse number="15">Иштта, Ас шаьш кхечу къаьмнашкахула дӀаса а даржийча, кхечу мехкашкахула дӀаса а кхийсича, царна хуур ду, Со Веза Эла вуйла.</verse>
				<verse number="16">Амма царах кӀеззиг адам Аса туьрах а, мацаллех а, Ӏожаллин уьнах а кӀелхьардоккхур ду, цаьрга кхечу къаьмнашка шаьш Суна дуьхьал мел лелийна долчу вонех лаьцна дӀадийцийта. ТӀаккха уьш кхетар бу, Со Веза Эла вуйла».</verse>
				<verse number="17">Юха а соьга Везачу Элан дош кхечира:</verse>
				<verse number="18">«Адаман кӀант! Хьайн бепиг кхерарца даа, хи а мала вегорца, доьхначу дагца.</verse>
				<verse number="19">Исраил-махкара долчу халкъе ахьа ала деза: „Хьалдолчу Эло Исраил-мехкан а, Ярушалайм-гӀалин а бахархойх лаьцна иштта дуьйцу: ‘Цара шайн бепиг баланехь дуур ду, хи а гӀайгӀанца мер ду, хӀунда аьлча церан махкахь дерриг а хӀума дӀадаьккхина хир ду, цара цу махкахь мел бехаш болчарна ницкъ бина дела.</verse>
				<verse number="20">ХӀинцале а шайна чохь адамаш дехаш йолу ерриг а гӀаланаш хӀаллакйийр ю, дерриг а латта дассалур ду. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла’“».</verse>
				<verse number="21">Соьга юха а Везачу Элера дош кхечира:</verse>
				<verse number="22">«Адаман кӀант! Исраил-махкарчу наха хӀара кица хӀунда даладо: „Де дийне мел долу хан дӀайолу, хӀора сурт а дӀадолу“?</verse>
				<verse number="23">Цундела дӀаала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ас дӀадоккхур ду и кица, исраилхошна юкъахь кхин далор дац и кица’“. Амма ала цаьрга: „ХӀора хӀоьттина сурт кхочушхуьлу хан тӀекхочу“.</verse>
				<verse number="24">Исраилан халкъана юкъахь даьсса сурт я мекара пал кхин цхьаммо а лелор бац.</verse>
				<verse number="25">Делахь а Веза Эла волчу Аса Сайна ала луург эр а ду, ткъа иза кхочуш а хир ду. ТӀаьхьататтар кхин хир дац. Шун деношкахь, ва аьрха халкъ, Айса аьлларг Ас кхочушдийр ду». Иштта боху Хьалдолчу Эло.</verse>
				<verse number="26">Соьга Везачу Элан дош кхечира:</verse>
				<verse number="27">«Адаман кӀант! Исраилан халкъана моьтту, хьуна хӀоьттина суьрташ дуккха а шераш дӀадаьлча бен кхочуш а хир дац, хинйолчу заманах бен хьо Соьгара болу хаамаш беш а вац.</verse>
				<verse number="28">Цундела дӀаала цаьрга: „Хьалдолчу Эло шуьга боху: цхьа а Ас аьлла долу дош кхин тӀаьхьатеттина хир дац, амма Ас аьлларг кхочушхир ду. Иштта боху Хьалдолу Эла волчу Аса“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="13">
				<verse number="1">Соьга Везачу Элера дош кхечира:</verse>
				<verse number="2">«Адаман кӀант! Соьгара хаам бе Исраилан халкъан хӀинца пайхамаралла деш болчу харцпайхамаршка. Шайн дегнашкара харцпайхамаралла деш болчаьрга иштта ала: „ЛадогӀа Везачу Элера болчу хааме!“</verse>
				<verse number="3">Иштта боху Хьалдолчу Эло: „Къа ду шайн сино бохучунна тӀаьхьадевлла лелаш долчу а, цхьа а хӀума ца гиначу а сонтачу пайхамарийн.</verse>
				<verse number="4">Хьан пайхамарш, Исраилан халкъ, къапалгашна юкъахь уьдуш лела чангӀалкхаш санна бу.</verse>
				<verse number="5">Шу дӀа ца хӀиттина гӀалин пенан йохийначу меттигашна улло, Исраилан халкъан дуьхьа уьш тоярхьама, Везачу Элан дийнахь тӀом бечу хенахь гӀалин пен латтийтархьама.</verse>
				<verse number="6">Царна даьсса суьрташ а го, цара харцахьа пал а туьйсу. Цара боху: ‘Везачу Эло иштта олу’, Везачу Эло шаьш нахана тӀе бахийтина боццушехь. Мелхо а, шаьш аьлла дош кхочушхиларе хьоьжу уьш!</verse>
				<verse number="7">Даьсса суьрташ-м ца гина те шуна, иштта харцахьа пал-м ца тийсина те аша, ‘Везачу Эло иштта боху’ а олуш, Аса хӀумма а аьлла доццушехь?“</verse>
				<verse number="8">Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху: „Соьгара ду бохуш, аша нахана дийцинарг даьсса хиларна а, шун суьрташ харц хиларна а, Со шуна дуьхьалваьлла.</verse>
				<verse number="9">Шайна даьсса суьрташ гуш болчу а, харцахьа пал туьйсуш болчу а пайхамаршна таӀзар дан Сайн куьг хьалаайина Аса. Сан къоман кхеташонехь уьш кхин хир бац, церан цӀераш Исраилан халкъана юкъахь дӀаязйина хир яц, уьш цкъа а Исраил-махка юха а богӀур бац. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Хьалдолу Эла вуйла.</verse>
				<verse number="10">Иза иштта билггал хир ду, хӀунда аьлча цара Сан къам Ӏехадо, цуьнга машар бу а бохуш, машар боццушехь. Халкъо ледара пен боьттича санна хуьлу, ткъа пайхамарша цу пенна тӀе кир тоьхча санна хуьлу.</verse>
				<verse number="11">Цу пенна тӀе кир тоьхначаьрга и пен охьабужург хилар дӀахаийта. ЧӀогӀа догӀа а догӀур ду, къора а тухур ю, буьрса мох цунна тӀе а хьокхур бу.</verse>
				<verse number="12">И пен охьабоьжча, халкъо хоттур ду пайхамаршка: ‘ХӀун хилла аша цу пенна тӀе тоьхначу кирах?’“</verse>
				<verse number="13">Цундела Хьалдолу Эла волчу Аса боху: „Аса Сайн дераллица буьрса мох бохуьйтур бу, Сайн оьгӀазаллица чӀогӀа догӀа а доуьйтур ду, Ас къора а тухуьйтур ю, дераллица массо хӀума а хӀаллакдархьама.</verse>
				<verse number="14">Аша кир тоьхна болу пен Аса лаьтта тӀекхаччалц бохор бу, цуьнан бух массарна а гуш хилийтархьама. И пен боьжча, цунна кӀелахь шу хӀаллакьхир ду. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла.</verse>
				<verse number="15">Ас Сайн оьгӀазалла цу пенна а, цунна тӀе кир тоьхначарна а тӀеерзор ю. ТӀаккха Ас эр ду шуьга: ‘Пен кхин бац, иштта цунна тӀе кир тоьхнарш а бац —</verse>
				<verse number="16">машар боццушехь, Ярушалаймана машар бу бохуш, пайхамаралла дина болу Исраилан халкъан пайхамарш’“». Иштта боху Хьалдолчу Эло.</verse>
				<verse number="17">Везачу Эло боху: «Адаман кӀант, Соьгара хаамаш беш боцучу, ткъа шайна дага доггӀург дуьйцуш болчу Исраилан халкъан зударшна дуьхьал вистхила. Царна дуьхьал Соьгара болу хаам бе.</verse>
				<verse number="18">Ахьа ала деза: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Декъаза бу Сан халкъан синош лоьцуш болу зударий! Церан куьйгашна аша холмачалла лелон бехчалгаш а тоьгу, церан шерашка хьаьжжина, аша холмачаллин йовлакхаш а до, церан синош лецархьама! Сан халкъан синош а лоьцуш, шайн синош кӀелхьардахалур ду моьтту те шуна?</verse>
				<verse number="19">Аша Со Сан халкъана хьалха сийсазвоху мекхан канин а, баьпкан юьхкан а дуьхьа. Аша Сан халкъе харцдерг дуьйцу, царна и харцдерг деза а делла. Ца лийр берш байа лаьа шуна, ткъа бехар боцурш дийна бита лаьа’“.</verse>
				<verse number="20">Цундела Хьалдолу Эла волчу Аса шуьга боху: „Аша, олхазарш санна, нах лоьцу холмачаллин бехчалгаш чӀогӀа ца еза Суна. Шун куьйгашкара уьш дӀайохур ю Аса, ткъа адамаш паргӀатдевр ду, речӀанна чуьра арадовлу олхазарш санна.</verse>
				<verse number="21">Аса этӀор ду шун холмачаллин йовлакхаш, Сан халкъ шун карара схьа а доккхуш. Уьш кхин хир бац шун карахь ижу санна. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла.</verse>
				<verse number="22">Шаьш дуьйцу харцдерг бахьана долуш, Сан лаамехь болчеран дегнаш дохадо аша, Суна уьш гӀайгӀанехь хила ца луъушехь а. Харцдерг лелош берш шайн харцнекъа тӀера дӀа ца бовлар аша къобал ма дора, и дарца цара шайн синош кӀелхьардаха тарлуш хилахь а.</verse>
				<verse number="23">Цундела шуна кхин гур дац даьсса суьрташ, иштта аша кхин пал а туьйсур бац. Ас шун карара кӀелхьардоккхур ду Сайн халкъ. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="14">
				<verse number="1">Исраилан халкъан масех къано веара со волчу. Уьш соьга бистхилархьама охьахевшира.</verse>
				<verse number="2">ТӀаккха соьга Везачу Элера дош кхечира:</verse>
				<verse number="3">«Адаман кӀант! ХӀара нах шайн дегнаш чохь цӀушна тӀебирзина а бу, цара шаьш галбовлуьйтуш долу харцдолчун новкъарло шайн бӀаьргашна хьалха дӀа а хӀоттийна. Сайгара жоп лехийта деза те Ас?</verse>
				<verse number="4">Цундела ахьа дан деза цаьрга къамел. ДӀаала цаьрга: „Исраилан халкъан Хьалдолчу Эло иштта боху: ‘Нагахь санна Везачу Эле хаттар дан пайхамар волчу милла а вагӀахь, ткъа иза шен даг чохь цӀушна тӀевирзина а хилахь, ша галволуьйтуш йолу харцдолчун новкъарло шен бӀаьргашна хьалха дӀа а хӀоттаяхь, Веза Эла волчу Ас-Айса цунна жоп лур ду. Ткъа Сан жоп цуьнан дуккха а цӀушка хьаьжжина хир ду!</verse>
				<verse number="5">Аса иза дийр ду, шайн цӀуш бахьана долуш Суна херабевллачу исраилхойн дегнаш юха схьалецархьама’“.</verse>
				<verse number="6">Цундела дӀаала Исраилан халкъе: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Юхадерза Со волчу, бита шайн цӀуш, букъ берзабе шаьш мел лелийначу дегазчу гӀуллакхашна.</verse>
				<verse number="7">Нагахь санна муьлхха а исраилхо я муьлхха а Исраил-махкахь вехаш волу кхечу къомах волу стаг, Соьгара жоп оьшуш, пайхамар волчу гӀахь, ткъа и стаг, Соьгара дӀа а вирзина, шен даг чохь цӀушна тӀевирзина а хилахь, цо ша галволуьйтуш йолу харцдолчун новкъарло шен бӀаьргашна хьалха дӀа а хӀоттаяхь, Веза Эла волчу Аса цунна Сайгара жоп лур ду.</verse>
				<verse number="8">Со цу стагана дуьхьалвер ву, Ас цунах масал дийр ду, нахе цунах кицанаш а даладойтуш, Ас Сайн къомана юкъара дӀавоккхур ву иза, тӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла.</verse>
				<verse number="9">Нагахь санна Сан цӀарах харц хаам бан цхьа пайхамар Ӏехавеш велахь, Веза Эла волу Со иза Ӏехавинарг ву. Цунна дуьхьал Сайн куьг дерзор ду Аса, ткъа Сайн Исраилан халкъана юкъара иза ара а воккхур ву Аса.</verse>
				<verse number="10">Цу шинна а: хаттар дан веанчунна а, цунна жоп деллачу пайхамарна а — цхьатерра таӀзар дийр ду.</verse>
				<verse number="11">Иза Ас дийр ду, тӀейогӀучу ханна Исраилан халкъ Суна уллора дӀа ца далийта а, къинош летош шаьш сийсаз ца дахийта а. Царах Сан халкъ хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву’“. Иштта боху Хьалдолчу Эло».</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха соьга Везачу Элан дош кхечира:</verse>
				<verse number="13">«Адаман кӀант! Муьлххачу а, Суна тешаме а ца хуьлуш, Суна дуьхьал къинош летийначу къомана тӀе Соьга Сайн куьг дерзалур дара. Ас церан махкахь болу кхача кхоччуш чекхбоккхуьйтур бара, царна тӀе мацалла а хьажор яра, Ас цу махкара адамаш а, хьайбанаш а хӀаллакдийр дара.</verse>
				<verse number="14">Цу махкахь Нохьа а, Даниал а, Аюб а бехаш хилча а, Делан лаамехь шаьш хилар бахьана долуш, цара шайн синош кӀелхьардохур дара, амма берриг а мохк цаьрга кӀелхьарбаккхалур бацара». Иштта боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="15">«Соьга цу лаьтта тӀе акхарой яхийталур яра, тӀаккха цара цигара бераш хӀаллакдийр дара, ткъа и мохк баьсса хир бара. Цхьа а стаг вогӀур вацара цу махка, хӀунда аьлча массо а цу акхаройх кхоьруш хир вара.</verse>
				<verse number="16">Нохьий, Даниаллий, Аюббий цигахь Ӏаш хилча а, — дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Ас, Хьалдолчу Эло, — ур-атталла шайн кӀентий а, йоӀарий а цаьрга кӀелхьарбахалур бацара. Цу кхааннан шайн дахар кӀелхьардаккха ницкъ кхочур бара, ткъа и латта дассаделла дӀахӀуттур дара.</verse>
				<verse number="17">Нагахь санна Ас, цу лаьтта тӀе тур а хьажийна, цуьнга аьлча: „Тур, чекхдала цу лаьтта тӀехула!“, цуьнга дерриг а халкъ а, даьхни а хӀаллак а дойтуш,</verse>
				<verse number="18">ткъа нагахь санна и кхоъ цигахь хилча, тӀаккха а — дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Аса, Хьалдолчу Эло, — цаьрга шайн кӀентий а, йоӀарий а кӀелхьарбахалур бацара. Шайн дахар бен оцу кхаанга кӀелхьардаккхалур дацара». Иштта боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="19">«Я Аса цу лаьтта тӀе Ӏожаллин ун хьажор дара, царна тӀе ерриг а Сайн оьгӀазалла а йохуьйтуш, цигара долу халкъ а, даьхни а хӀаллак а деш.</verse>
				<verse number="20">Царна юкъахь Нохьа а, Даниал а, Аюб а хилча а, — дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Аса, Хьалдолчу Эло, — цара шайн дахар доцург, шайн берийн дахар а кӀелхьардоккхур дацара. Сан лаамехь шаьш хилар бахьана долуш цара шайн дахар бен кӀелхьардоккхур дацара».</verse>
				<verse number="21">Хьалдолчу Эло иштта боху: «Ойла е, мел бохам бер бу Ярушалаймана, Ас диъ таӀзар — тур а, мацалла а, акхарой а, Ӏожаллин ун а — цунна тӀе хьажадича, цуьнан бахархой а, церан даьхни а хӀаллакдархьама!</verse>
				<verse number="22">Цхьаболу зударий а, божарий а дийна а буьсур бу, цу гӀали чуьра уьш арабохур а бу. Уьш шу долчу арабевлча, шуна гур ду церан ирча лелар а, вон гӀуллакхаш а. ТӀаккха шуна синхьаам хир бу Аса Ярушалаймана мел бинчу бохамех.</verse>
				<verse number="23">Церан дахаран некъ а, цара дина долу вонаш а шуна гар бахьана долуш, шуьга атта садоьӀуьйту. Цу тайпана, шуна хуур ду, Ас цу нахана дина таӀзар эрна цахилар». Иштта элира Хьалдолчу Эло.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="15">
				<verse number="1">ТӀаккха соьга Везачу Элан дош кхечира:</verse>
				<verse number="2">«Адаман кӀант! Кемсийн таьлланг муха тоьлур ю кхечу диттийн гаьннел? Хьуьнхахь хуьлучу кхечу дитташна юкъахь иза цхьа бен ма яц, и кемсийн таьлланг?</verse>
				<verse number="3">Хьоьга цхьа а пайден хӀума ялур юй кемсийн таьллангах? Цунах хьостам балур буй, цу тӀе хӀума хьалаолла?</verse>
				<verse number="4">Адамаша и таьллангаш цӀера юкъа кхуьссу. Иза шинна а юьхьигна тӀера дика яьгча, га юккъера Ӏаржделча, цхьана хӀуманна пайденна юй те иза?</verse>
				<verse number="5">Дагаза долчу хенахь а дацара иза цхьанна а хӀуманна пайденна, ткъа хӀинца-м, иза цӀеро, дага а дина, Ӏарждиначул тӀаьхьа, муххале а дац пайденна».</verse>
				<verse number="6">Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Хьуьнхара кхидолчу диттийн гаьннаш санна, кемсийн таьлланг адамаша цӀерга кхуьйсуш ма-хиллара, изза дийр ду Аса Ярушалайман бахархошца.</verse>
				<verse number="7">Со царна дуьхьалвер ву. Цхьана ханна уьш цӀерах кӀелхьарбевллехь а, хӀинца цӀаро уьш дӀакхоллур бу. Со царна дуьхьалваьллачу хенахь хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла.</verse>
				<verse number="8">Уьш Суна тешаме цахилар бахьана долуш, Ас бассор бу хӀара мохк» — боху Хьалдолчу Эло.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="16">
				<verse number="1">Соьга Везачу Элан дош кхечира:</verse>
				<verse number="2">«Адаман кӀант! Ярушалаймехь болчу нахе цара лелийна мел долчу вочу хӀуманех лаьцна дӀаала.</verse>
				<verse number="3">Ахьа цаьрга иштта ала деза: „ХӀара боху Хьалдолчу Эло Ярушалайме: ‘КанаӀан-махкахь дара хьан схьаялар а, хьан дуьнен тӀе ялар а. Хьан да — эмархо вара, ткъа нана — хьетахо яра.</verse>
				<verse number="4">Ярушалайм, хьо дуьнен чу йолучу хенахь хьан цӀонг дӀахадо стаг вацара, хьо цӀанъялийта хьуна тӀе хи кхарза а стаг вацара, хьуна тӀе туьха хьакха а, иштта хьуна тӀе хӀума хьарчо а стаг вацара.</verse>
				<verse number="5">Цхьаммо а къинхетам ца бира хьох, цхьаммо а хьан дола а ца дира. Хьо дуьнен чу яьллачу дийнахь хьо аренга дӀакхоьссина яра, хӀунда аьлча оцу хенахь хьо дӀатеттинера.</verse>
				<verse number="6">ТӀаккха, тӀехволучу хенахь Суна гира хьо, хьайн цӀийш юкъахь керчачу хенахь. Хьо иштта Ӏуьллуш гича, Ас элира хьоьга: ‹Яха хьайна!› ХӀаъ, хьо цӀийш юкъахь Ӏуьллуш гича, Ас элира: ‹Яха хьайна!›</verse>
				<verse number="7">Эрна арахь тӀедолучу зезагна санна, Ас хьалакхиа гӀо дира хьуна. Хьо, йоккха а хилла, исбаьхьа хаза хилла дӀахӀоьттира: хьан накхош хьалаайаделира, хьан месаш яхъелира, амма хьо, тӀекхоьллина хӀума йоцуш, ерзина яра.</verse>
				<verse number="8">Юха, тӀехволучу хенахь Суна гира хьо — хьо безамна кийча яра. Ас Сайн бедарш тӀеозийра хьуна тӀехула, хьан ерзина хилар дӀа а хьулдеш. Ас чӀагӀо йира хьан хила, иштта Ас хьоьца барт а бира. ТӀаккха хьо Сан хилира’“. Иштта элира Хьалдолчу Эло.</verse>
				<verse number="9">„Ас хьуна тӀе хи а кхерзина, цӀий дӀадаьккхира, тӀаккха хьуна тӀе даьтта хьаькхира.</verse>
				<verse number="10">Ас хьуна тӀе хаза тӀамарш йолу коч юьйхира, тӀаьрсиган кӀархаш а буьйхира, дуткъачу кӀадин йовлакх коьрта тӀе а тиллира, чилланан тӀекхуллург а елира.</verse>
				<verse number="11">Аса хьуна хаза жовхӀарш а делира, пхьаьрсех хӀазарш а доьхкира, коча исбаьхьа туьтеш а тесира.</verse>
				<verse number="12">Ас мерах йолла чӀуг а елира хьуна, лергех тийса чӀагарш а, иштта коьрта тӀе тилла исбаьхьа таж а делира хьуна.</verse>
				<verse number="13">Хьо чӀогӀа хаза яра хьайн дашочу а, даточу а хӀуманашца, дуткъачу кӀадих а, чилланан кӀадих а, тир яьккхинчу кӀадих а йинчу бедаршца. Хьан даар уггар а дикачух дара — уггар а дикачу демах дина бепиг а, моз а, даьтта а. Хьо чӀогӀа хазъелла дӀахӀоьттинера, зуда-паччахьах тар а елла.</verse>
				<verse number="14">Хьан цӀеяхана хилар дерриг а къаьмнашна юкъахь даьржира, хьо хаза йолу дела. Хьо чӀогӀа хаза яра, Ас Сайн сийлаллица хьо хазйина хилар бахьана долуш“. Иштта боху Хьалдолчу Эло.</verse>
				<verse number="15">„Амма ахьа, хьайн хазаллех а, хьайн цӀеяхана хиларх а пайда а оьцуш, хьайна тӀех мел волучуьнца нахаца лелачу зудчун гӀиллакхаш леладора, цуьнга хьайн хазаллех дезар а оьцуьйтуш.</verse>
				<verse number="16">Хьайн бедарех цхьайолу хӀуманаш схьа а эцна, цаьрца бес-бесара сагӀа доккху гунаш кечдира ахьа, цигахь, Суна тешаме а ца хуьлуш, нахаца лела зуда санна а лелаш. Иштта лелар ца магийнарг а, хила ца дезарг а ма ду!</verse>
				<verse number="17">Ас хьайна елла йолчу деших а, детих а йинчу хӀуманех ахьа хьайна боьрша цӀуш бира, нахаца лелаш йолу зуда санна цаьрца а лелаш.</verse>
				<verse number="18">Ас хьайна елла йолу хаза юьйцина кучамаш схьа а эцна, уьш цу цӀушна тӀеюьйхира ахьа, иштта Ас хьайна делла даьтта а, хаза хьожа йогӀу сегӀаз а царна лерина долчу сагӀина охьадуттура ахьа.</verse>
				<verse number="19">Ас хьайна делла долу тоьлла дама а, зайтдаьтта а, моз а ахьа хьайн цӀушна дӀаделира. Иштта хила а хилира“, — боху Хьалдолчу Эло.</verse>
				<verse number="20">„Айхьа Суна бина болу кӀентий а, мехкарий а ахьа, схьа а эцна, царах хьайн харцделанашна сагӀа даьккхира. Иштта, хьан Суна тешаме цахилар тоьуш а доцуш,</verse>
				<verse number="21">Сан кӀентий, цӀерах чекх а бохуьйтий, байъа а бойъий, хьайн цӀушна сагӀина дӀалора ахь.</verse>
				<verse number="22">Айхьа дегаза мел долу гӀуллакхаш леладечу хенахь а, Суна тешаме ца хуьлучу хенахь а хьуна дага ца йогӀура хьо жима а, къона а хилла зама — оцу хенахь хьо ерзина а яра, тӀехь хӀума а йоцуш, хьайн цӀийлахь хьийзаш а яра“».</verse>
				<verse number="23">«Маржа-яӀ! Декъаза ю-кх хьо, ва Ярушалайм! — боху Хьалдолчу Эло — Айхьа мел лелийначул сов,</verse>
				<verse number="24">хӀора майданна тӀехь ахьа хьайна кхахьпаллин цӀа а до, цӀушна Ӏамал ян меттиг а кечйо.</verse>
				<verse number="25">ХӀора некъ болалучохь а кечйина ахьа и меттигаш, хьайн хазаллин сий а дойуш. И хазалла ахьа, хӀора тӀех мел волу боьрша стаг хьайга схьаверзо гӀерташ, хӀаллакйора, хьайн боьха лелар сов а доккхуш.</verse>
				<verse number="26">Цул тӀаьхьа, Мисар-махка а яхана, хьайначу хьайн лулахочуьнца а лийлира хьо цигахь, нахаца лелар сов а доккхуш, хьо бахьана долуш йолу Сан оьгӀазалла сов а йоккхуш.</verse>
				<verse number="27">ТӀаккха Ас хьуна таӀзар дира, хьуна дӀаделла дакъа жим а деш. Ас пурба делира хьан мостагӀий болчу пӀелаштамхойн зудаберашна хьуна шайна луъург дан, ткъа уьш а бара хьан боьха леларх цецбевлла.</verse>
				<verse number="28">Кхечаьрца леларх ца Ӏабарна, хьо ашурхошца лела йолаелира. Цаьрца леллачул тӀаьхьа а, хьо царах а ца Ӏебира.</verse>
				<verse number="29">ТӀаккха совдегархойн латта долчу Хашад-махкана хьо хьайн кхахьпаллица тӀейирзира, амма цунах а хьо ца Ӏебира.</verse>
				<verse number="30">Ма оьгӀазаллех вуьзна ву Со ахь мел лелийначунна, — боху Хьалдолчу Эло. — Хьо маьттаза кхахьпа санна лелаш ма ю!</verse>
				<verse number="31">Ахьа хӀора некъ болалучу меттехь кхахьпаллин цӀа а, хӀора майданахь цӀушна Ӏамал ян меттиг а хьайна кечъечу хенахь, хьо кхахьпа санна яцара, хӀунда аьлча ахьа совгӀаташ дӀа ца оьцура.</verse>
				<verse number="32">Амма хьо, шен майрачун метта, кхиболу божарий тӀе а оьцуш, ямартло еш йолу зуда санна яра.</verse>
				<verse number="33">Массо а кхахьпанаша божаршкара совгӀаташ схьаоьцу, ткъа ахьа совгӀаташ хьайн безаршна дора, уьш массо а маьӀӀера хьайца лела схьаэхийта.</verse>
				<verse number="34">Иштта хьо нахаца лелча, хьо кхечу зударех тера ца хуьлу, хӀунда аьлча божарий хьуна тӀаьхьа ца бовду, хьоьца лела. Хьуна цхьаммо а совгӀаташ а ца деш, ахьа кхечарна совгӀаташ дича, хьо билггал юханехьа лела!»</verse>
				<verse number="35">ЛадогӀа, кхахьпа, Везачу Эло бохучуьнга!</verse>
				<verse number="36">Хьалдолчу Эло иштта боху: «Ахь хьайн боьха лаам дӀагайтира, хьайн безаршна а, дегазчу цӀушна а хьалха ерзина а юьйлуш, хьо цаьрца лелара, иштта хьайн кӀентийн цӀий цӀушна Ӏенадора ахьа.</verse>
				<verse number="37">И хӀуманаш ахьа лелорна, Ас хьуна безна болу а, хьоьца лелла болу а берриге безарш а, хьуна ца безнарш а массо а маьӀӀера схьагулбийр бу. Царна хьалха хьан духарш охьадохур ду Ас, ткъа царна хьо ма-ярра ерзина дӀагур ю.</verse>
				<verse number="38">Цул тӀаьхьа Ас кхел йийр ю хьуна, ткъа хьан таӀзар нахаца леллачунна а, цӀий Ӏанийначунна а доггӀург хир ду. Сайн оьгӀазаллица а, дераллица а Аса хьан цӀий Ӏанор ду.</verse>
				<verse number="39">Ас дӀалур ю хьо хьайн безарийн кара, тӀаккха дохор ду хьан кхахьпаллин цӀенош, дӀасакхуьйсур ю хьан цӀушна Ӏамал ян меттигаш а. Цара хьуна тӀера бедарш дӀайохур ю, хьан жовхӀарш дӀадохур ду, ткъа хьо ма-ярра ерзина юьтур ю.</verse>
				<verse number="40">Цара схьакхойкхур ю адамийн тоба, цаьрга хьуна тӀе тӀулгаш кхиссийта а, таррашца хьо цестийта а.</verse>
				<verse number="41">Хьан цӀенош цара цӀарца дагор ду, дуккха а зударшна хьалха хьуна кхел а йийр ю. Ас сацор ду хьан нахаца лелар, хьо лелар яц кхин совгӀаташ деш.</verse>
				<verse number="42">Со, Сайн дераллех Ӏаьбна ваьлча, Со карзахвуьйлучуьра соцур ву. Суна синтем хир бу, кхин оьгӀаз а гӀур вац Со.</verse>
				<verse number="43">Ахьа, хьо къона хилла хан дага а ца йогӀуш, айхьа мел динчуьнца Со оьгӀазъэхийтина дела, массо а хьан леларна догӀу таӀзар дийр ду Ас хьуна. Айхьа мел лелийна дегаза гӀуллакхашна тӀе кхахьпалла хӀунда туьйхира ахь?» Иштта боху Хьалдолчу Эло.</verse>
				<verse number="44">«Кицанаш далош мел волчо, хьох лаьцна хӀара кица далор ду: „Нана ма-хиллара, йоӀ а ю“.</verse>
				<verse number="45">ЙоӀ йолу хьо хьайн ненах тера ю, шен майрачух а, берех а ца яьшна йолу. Шайн майранаш а, бераш а ца эшна болу хьан йижарий ма-хиллара, хьо а ю. Шун нана хьетахо ю, ткъа да — эмархо ву.</verse>
				<verse number="46">Хьан йоккхаха йолу йиша — Шамран-гӀала ю, хьуна къилбаседехьа шен зудаберашца ехаш йолу. Хьан жимаха йолу йиша, хьуна къилбехьа шен зудаберашца ехаш йолу, Седам-гӀала ю.</verse>
				<verse number="47">Хьо, цара леллийнарг а лелош, церан дегазчу некъашкахула лелла а ца Ӏаш, кӀеззиг хан ялале, царал а телхина лелара.</verse>
				<verse number="48">Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Аса, — боху Хьалдолчу Эло, — хьан йиша йолчу Седам-гӀалано а, цуьнан зудабераша а ца леладора ахьа а, хьан зудабераша а лелийнарг.</verse>
				<verse number="49">ХӀара бу хьан йишин Седам-гӀалин а, цуьнан зудаберийн а бехк: уьш кура бара, церан дукха даа хӀума дара, церан маьрша синтем а бара, амма цара къечарна а, мискачарна а гӀо ца дора.</verse>
				<verse number="50">Уьш, кураллаш еш, дегаза хӀуманаш деш лелара Суна хьалха, цундела Ас, Сайна и дерриг а ма-гиннехь, уллора дӀабехира уьш.</verse>
				<verse number="51">Шамран-гӀалано ахьа диначул ах а вон ца дина. Хьо ю дегаза хӀуманаш деш царал а тӀехъяьлларг. Хьоьца нисбича, хьан йижарий цӀена хета.</verse>
				<verse number="52">Хьо нахала яккхар кхидӀа а ла, ахь хьайн йижарий цӀена хетийтина дела. Цара летийначу къинойл ахьа мел летийнарг сов дегаза хиларна, уьш хьол цӀена хийтира. ХӀинца эхь хетарна, цӀий а луш, юьхьӀаьржачу а хӀоьттина лела хьайна, ахь хьайн йижарий цӀена хетийтина дела».</verse>
				<verse number="53">«Ас юхаметтахӀоттор ю Седам-гӀала а, цунна гонах йолу жима гӀаланаш а, иштта юхаметтахӀоттор ю Шамран-гӀала а, цунна гонах йолу жима гӀаланаш а. Ас юхаметтахӀоттор ю хьо а, Ярушалайм,</verse>
				<verse number="54">айхьа лелийна долу массо а вон хӀуманаш бахьана долуш хьайн нахала яккхар кхидӀа лайтархьама а, хьо юьхьӀаьржачу хӀоттийтархьама а. Иштта хьайн йижаршна синтем бийр бу ахьа.</verse>
				<verse number="55">Хьан йижарех лаьцна аьлча — Седам а, цуьнан зудабераш а, Шамран а, цуьнан зудабераш а — уьш шайн хьалхалерчу хьоле юхаметтахӀиттийна хир бу. Иштта хьо а, хьайн зудаберашца хьалхалерчу хьоле юхаметтахӀоттийна хир ю.</verse>
				<verse number="56">56-57 Хьо кураллех юьзначу хенахь, хьан вон лелар массарна а дӀахаале, хьайн йиша йолу Седам хьан багахь беламе дош ца хилира те? Ткъа хӀинца хьох кхаьрдаш бу арамхойн а, пӀелаштамхойн а зударий а, царна гонах хьох ца бешаш берш а.</verse>
				<verse number="57">***</verse>
				<verse number="58">Хьо вон лелар а, дегаза гӀуллакхаш а бахьана долуш жоп дала дезаш ма ю хьо!» — боху Хьалдолчу Эло.</verse>
				<verse number="59">Хьалдолчу Эло иштта элира: «Со хьуна доггӀучу тайпана хир ву хьоьца, хӀунда аьлча Аса йинчу чӀагӀонах хьо ца ешира, ткъа ахьа Сан барт а бохийра.</verse>
				<verse number="60">Амма Суна дагахь лаьттар бу хьо къона йолчу хенахь Ас хьоьца бина болу барт. Ас хьоьца массо а ханна лерина болу керла барт бийр бу.</verse>
				<verse number="61">ТӀаккха хьуна айхьа дӀакхехьна некъаш дагадогӀур ду. И некъаш бахьана долуш хьуна эхь хетар ду, Ас хьол баккхий а, хьол жимах болу а йижарий — Седам а, Шамран а, — хьуна йоӀарий санна дӀалучу хенахь. Иза вай бинчу бартана юкъадогӀуш дацара, амма Ас иза дийр ду.</verse>
				<verse number="62">Ас и керла барт хьоьца бийр бу, тӀаккха хуур ду хьуна, Со Веза Эла вуйла.</verse>
				<verse number="63">Ахьа мел лелийначух Аса хьо цӀанъечу хенахь хьуна и вон хӀуманаш дагадогӀур а ду, хьуна эхь а хетар ду, хьо юьхьӀаьржачу хӀоттарна бага хьалагӀатто аьтто а хир бац хьан». Иштта элира Хьалдолчу Эло.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="17">
				<verse number="1">ТӀаккха соьга Везачу Элан дош кхечира:</verse>
				<verse number="2">«Адаман кӀант! Исраилан халкъана хӀетал-метал а даладай, хьекъале дустар дийца.</verse>
				<verse number="3">Ала цаьрга: „Хьалдолчу Эло боху хӀара: ‘Нуьцкъала тӀемаш а, месала а, бес-бесара деха пелагаш а долчу доккхачу аьрзуно, Ливанун-лаьмнашка а деана, баганан диттан бохь схьабаьккхира.</verse>
				<verse number="4">Цу бохь тӀера ховхачу патарех уггар лакхарниг схьа а даьккхина, иза, йохкаэцаран махка схьа а деана, совдегарийн гӀалахь охьадиллира цо.</verse>
				<verse number="5">Исраил-махкара баганан диттан хӀу схьа а эцна, иза токхечу лаьттахь дӀадийра цо, дак-дитт ма-дерра, хина уллохь.</verse>
				<verse number="6">И хӀу хьала а даьлла, цунах кемсийн таьлланг хилира, ша шуьйра а йолуш, амма лоха а йолуш. Цуьнан гаьннаш аьрзугахьа хьалаийзалора, ткъа орамаш цунна бухахь дара. Уьш дахделла дӀасадаханера, кемсийн таьлланго керла гаьннаш а, гӀаш а дӀадохура.</verse>
				<verse number="7">Месала тӀемаш долу важа нуьцкъала аьрзу а яра. Ша дӀадийначу лаьттана тӀера шен орамашца а, гаьннашца а цунна тӀеозаелира кемсийн таьлланг. Цунна лаьара, аьрзуно шена хи дуттийла.</verse>
				<verse number="8">Дикачу лаьтта тӀе, шорта хи долчохь, дӀайийнера и таьлланг, цунах, гаьннаш дӀаса а дахийтина, тӀехь стом а латош, дика кемсийн таьлланг хилийтархьама’“.</verse>
				<verse number="9">Ала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Хьуна моьттий, цу таьлланган аьтто а хилла, иза йоккха хир ю? Цуьнан орамаш схьа-м дохур дац те, цунна тӀера стоьмаш а схьа-м бохур бац те, иза тӀаьххьара а дакъа а луш? Цунна тӀера дерриш а къона гаьннаш дакъалур ду. ТӀаккха кхин боккха ницкъ я дуккха а нехан гӀо а ца оьшу и кемсийн таьлланг озийна шен орамашца лаьттара схьаяккха.</verse>
				<verse number="10">Ша дӀайийначохь хьалакхуьур юй те иза? Якъалур-м яц те иза, малхбалера схьа мох хьаькхча? Ша дӀайийначохь иза якъалур ма ю!’“»</verse>
				<verse number="11">Везачу Элан дош кхечира соьга:</verse>
				<verse number="12">«Хаттар де оцу аьрхачу халкъе: „И хӀуманаш хӀун маьӀна долуш ду хаьий шуна?“ — алий. ТӀаккха дӀаала цаьрга: „Хьалхара аьрзу — Бавелан паччахь ву. Цо, Ярушалайме а веана, шеца Бавеле дӀабигира паччахь а, цуьнан элий а.</verse>
				<verse number="13">Цул тӀаьхьа Набухди-Нецара шена тешаме хир ву аьлла дош деллачу паччахьан цӀийнах волчу стагаца барт бира. Цу махкара лаккхарчу даржашкахь мел волу стаг дӀавигира цо,</verse>
				<verse number="14">и пачхьалкх, кхин хьалагӀатта ницкъ а ца кхочуш, лахахь йисийтархьама. Цу тайпана, ша бина барт ларбеш бен, и пачхьалкх латталур яцара.</verse>
				<verse number="15">Амма керла паччахь Бавел-мехкан паччахьна дуьхьалвала гӀоьртира. Цо гӀо доьхуш геланчаш бахийтира Мисар-махка, цигара дуккха а говраш а, эскархой а беха. ГӀуллакх хир дуй те цуьнан? Ницкъ кхочур буй те цуьнан, ша бина болу барт бохийначул тӀаьхьа, таӀзарх кӀелхьарвала?“»</verse>
				<verse number="16">Хьалдолчу Эло боху: «Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Ас: и керла паччахь Бавелехь лийр ма ву — шех паччахь винчу а, цуьнан чӀагӀонах ша ца ваьшначу а, ша цуьнца бина барт бохийначу а паччахьан махкахь.</verse>
				<verse number="17">Мисар-махкарчу паччахье яхӀудхойн паччахьна тӀамехь гӀо далур дац, гӀалина гонах лаьттан гунаш дича а, тӀеман гӀирс дӀахӀоттийча а, дуккха а адам хӀаллакдархьама.</verse>
				<verse number="18">Амма яхӀудхойн паччахь кӀелхьарвер вац, хӀунда аьлча цо, ша делла дош кхочуш а ца деш, бина барт бохийна».</verse>
				<verse number="19">Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: «Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Ас, яхӀудхойн паччахь Суна хьалха ша йинчу чӀагӀонах ца вашаре а, Айса цуьнца бина барт цо бохоре а хьаьжжина, Аса таӀзар дийр ду цунна.</verse>
				<verse number="20">Ас иза схьалаца бой тосур ю, иза цу чу а эккхор ву. Ас иза Бавеле схьавалор ву, циггахь цунна таӀзар а дийр ду, иза Суна тешаме цахиларна.</verse>
				<verse number="21">Ас хӀаллакдийр ду цуьнан эскар, цуьнан дийна бисина болу уггар дика тӀемалой Аса массанхьа а дӀасакхуьссур бу. ТӀаккха хуур ду шуна, Веза Эла волу Со шуьга къамел динарг вуйла».</verse>
				<verse number="22">Хьалдолчу Эло элира: «Баганан диттан бохь тӀера Аса-Айса зӀийдаг схьайоккхур ю. Баганан диттан уггар лакхарчу гаьннех цхьаъ схьа а даьккхина, иза боккхачу, лекхачу ломан боххье дӀадугӀур ду Аса.</verse>
				<verse number="23">Исраил-мехкан лекхачу лам тӀехь дӀадугӀур ду Ас иза. Цу гаьннах доккха дитт хир ду, цунна тӀехь стоьмаш а кхуьур бу. Цунах исбаьхьа хаза дитт хир ду, цуьнан гаьннаш юкъахь тайп-тайпана олхазарш хир ду, уьш цуьнан ӀиндагӀехь Ӏийр ду.</verse>
				<verse number="24">Массо а аренгарчу дитташна дӀахуур ду Ас, Везачу Эло, лекха дитташ лаха дохийла, ткъа лоха дитташ лакха дохийла. Сийна дитт Ас дакъадо, ткъа дакъаделларг, заза доккхуьйтий, дӀахӀоттадо. Веза Эла волчу Аса иштта элира, ткъа Айса аьлларг кхочуш а дийр ду Аса».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="18">
				<verse number="1">Соьга Везачу Элера дош кхечира:</verse>
				<verse number="2">«Аша Исраил-махкахь стенна даладо хӀара кица: „Дайша муьста кемсаш йоу, ткъа берийн цергаш леха“?»</verse>
				<verse number="3">Хьалдолчу Эло боху: «Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Аса, Исраил-махкахь кхин и кица далор ма дац аьлла.</verse>
				<verse number="4">Дерриг а адамийн дахар Сан карахь ду — ден я кӀентан дахар Суна бен а дац. Къинош летош верг ву лийр верг.</verse>
				<verse number="5">Масала, вехаш ву, бакъдерг а, нийсо а лелош волу цхьа бакъахьара стаг.</verse>
				<verse number="6">Цо лаьмнашкахь цӀушна Ӏамал еш даьккхинчу сагӀанах хӀума а ца йоу, цо Исраилан халкъан цӀушна доӀанаш а ца до, иза шен лулахочун зудчуьнца а ца лела, шен зудчун ламаз доьхначу хенахь цунах хьакха а ца ло.</verse>
				<verse number="7">Цо адамашна гӀело а ца йо, шегара декхар эцначунна цо закъалтана елла хӀума а дӀало. Цо къола а ца до, мецачунна яа хӀума а ло, тӀехь хӀума йоцуш висинчунна тӀеюха хӀума а ло.</verse>
				<verse number="8">Цо, тӀера ял а йоккхуш, юхалург ахча а ца ло, ша вониг лелорах лар а во, къовсамашкахь нийсонца кхел а йо.</verse>
				<verse number="9">Иза Сан парзашца а лела, цо Сан тӀедехкинарш лар а до. Иза Сан лаамехь верг ву, цундела иза вехар а ву» — боху Хьалдолчу Эло.</verse>
				<verse number="10">10-11 «Ткъа, масала, цуьнан кӀант талорхо хила тарло, нехан цӀий а Ӏенош, шен дас цкъа а ца лелийначу гӀуллакхех муьлхха а деш волу. Нагахь цо лаьмнашкахь цӀушна Ӏамал еш даьккхинчу сагӀанах хӀума яахь, я иза шен лулахочун зудчуьнца лелахь,</verse>
				<verse number="11">***</verse>
				<verse number="12">я къечунна гӀело еш, цуьнгара хӀума цо схьаяккхахь, я декхар оьцуш закъалтана елла хӀума дӀа ца лахь, иза цӀушна Ӏамал еш лелахь, иштта кхидолу дегаза хӀуманаш цо леладахь,</verse>
				<verse number="13">тӀера ял а йоккхуш, цо юхалург ахча лахь, вехар вуй те и стаг? Вехар вац. И хӀуманаш лелош мел верг лийр ву, цуьнан цӀий цунна шена тӀехь а хир ду.</verse>
				<verse number="14">Ткъа, масала, нагахь оцу вочу стеган кӀант хилахь, цу кӀантана шен дас мел лелорг гур ду. Цо, шен дас лелорг шена гуш доллушехь, и санна долу хӀуманаш ца леладо:</verse>
				<verse number="15">лаьмнашкахь цӀушна даьккхинчу сагӀанах хӀума а цо ца яахь, шен лулахочун зудчуьнца а иза ца лелахь,</verse>
				<verse number="16">адамашна цо гӀело а ца яхь, иштта ша юхалург деллачу ахчанна закъалтана делларг дӀа а лахь, цо къола а ца дахь, мецачунна яа хӀума а лахь, тӀехь хӀума йоцуш висинчунна тӀеюха хӀума а цо лахь,</verse>
				<verse number="17">къечун дог а ца дохош, тӀера ял а йоккхуш, цо ахча юхалург а лахь, Сан тӀедехкинарш а деш, Сан парзашца иза лелахь, и стаг шен дас лелийнарг бахьана долуш лийр вац. Иза билггал вехар ву.</verse>
				<verse number="18">Ткъа цуьнан дас адамаш къизаллица баца а бора, шен къомах болчарна къоланаш а дора, шен халкъана юкъахь вонаш а леладора. Ша летийна къинош бахьана долуш иза лийр ву.</verse>
				<verse number="19">Ахьа хоьтту: „Дас лелийнарг бахьана долуш кӀант жоьпе хӀунда ца озаво?“ КӀант, бакъдерг а, нийсо а лелош, Сан парзаш лар а деш, уьш кхочуш а деш леларна, билггал вехар ву.</verse>
				<verse number="20">Къинош летийнарг лийр ву, ткъа кӀантана, шен дас лелийнарг бахьана долуш, таӀзар дийр дац, шен кӀанта летийначу къиношна дена а дийр дац таӀзар. Делан лаамехь волчун дика цунна бен ца догӀу, вониг лелочун вон цунна бен догӀуш ца хиларе терра.</verse>
				<verse number="21">Ткъа зуламхочо, къинош леторан некъ а битина, Сан парзаш лар а деш, бакъдерг а, нийсо а лелаяхь, иза билггал вехар ву, лийр а вац.</verse>
				<verse number="22">Цо мел лелийна вонаш дагадоуьйтур дац. И стаг, ша дина нийса хӀуманаш бахьана долуш, вехар ву.</verse>
				<verse number="23">Вочу стеган Ӏожалла тӀеярах там хуьлий те Суна? — боху Хьалдолчу Эло. — Мелхо а, шен харцнекъа тӀера дӀа а вирзина, иза вехаш хилар Суна тамехь хир дара.</verse>
				<verse number="24">Амма нагахь санна бакъахьа лелаш верг ша дӀахьочу некъа тӀера валахь, иза вонаш дан волалахь, зуламхочо ма-леллора, вехар вуй ткъа иза? Цо мел дина дика лорур дац. Суна тешаме ца хиларна а, ша къинош леторна а, и стаг лийр ву.</verse>
				<verse number="25">Амма аша боху: „Везачу Элан лелар нийса дац!“ ЛадогӀал, Исраилан халкъ! Сан лелар дуй те нийса доцург? Шун лелар ма дац нийса!</verse>
				<verse number="26">Нагахь санна Делан лаамехь верг, шен нийсачу некъа тӀера а ваьлла, вонаш деш волалахь, и хӀума бахьана долуш лийр ву. Ша лелийна зуламаш бахьана долуш лийр ву иза!</verse>
				<verse number="27">Амма зуламхо, ша лелийначу вонаш тӀера дӀа а вирзина, бакъдерг а, нийсо а лелош волалахь, цо шен са кӀелхьардоккхур ду.</verse>
				<verse number="28">Ша мел лелийна харцдерг а хиъна, царна тӀера иза дӀаверзарна, иза вехар ву, лийр а вац.</verse>
				<verse number="29">Ткъа Исраилан халкъо боху: „Везачу Элан лелар нийса дац!“ Исраилхой, Сан лелар дуй те нийса доцург? Шун лелар билггал нийса дац!</verse>
				<verse number="30">Цундела Ас кхел йийр ю шуна, исраилхой. Ас хӀора стагана, цуьнан леларе хьаьжжина, кхел йийр ю. — Иштта элира Хьалдолчу Эло. — Цундела, Со волчу юха а дерзий, шаьш мел лелош йолчу харцонашна тӀера дӀадовла! Къа бахьана долуш шаьш гал ма дийлийта.</verse>
				<verse number="31">ДӀадаха шайна уллора шаьш летийна долу къинош, хийцадалийта шайн дегнаш а, шайн синош а. Хьо дала хӀунда деза, Исраилан халкъ?</verse>
				<verse number="32">Со муьлххачу а стагана Ӏожалла тӀеярах там хуьлуш вац, — боху Хьалдолчу Эло. — Къиношна тӀера дӀа а дерзий, дехаш хилийша!»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="19">
				<verse number="1">Дала соьга элира: «Тийжам бе Исраилан халкъан элех лаьцна:</verse>
				<verse number="2">„Хьан нана стенах тера ю? Иза стен лом санна ма ю! Лоьмашна юкъахь Ӏуьллуш а яра иза, циггахь шен кӀорнеш а кхиайора цо.</verse>
				<verse number="3">Царах цхьаъ йоккха хилла, цунах нуьцкъала лом хилла. Иза шена ижу лаха Ӏемина, ткъа цо адамаш, цеста а цоьстуш, доура.</verse>
				<verse number="4">Халкъашна цунах лаьцна хезира, тӀаккха цара иза ор чу а эккхийтина, цунах чӀагарш чекх а яьхна, Мисар-махка дӀайигира.</verse>
				<verse number="5">Ша эрна хьоьжуш дуй а хиъна, шен сатийсар кхочуш ца хилча, иза, шен кхин кӀорни схьа а эцна, и кхио йолаелира, цунах нуьцкъала лом хилийта.</verse>
				<verse number="6">Нуьцкъала лом а хилла, иза кхечу лоьмашна юкъахь лела доладелира. Иза ижу лаха а Ӏемира, цо адамаш, цоьстуш, даа а доура.</verse>
				<verse number="7">Иза дисина Ӏаш долчу стечу лоьмех а кхетара, ткъа церан гӀаланаш цо ясса а йора. Цу махкахь долу дерриг а халкъ цуьнан гӀигӀ дарх кхоьрура.</verse>
				<verse number="8">ТӀаккха цунна дуьхьалдевлира гонах дехаш долу дерриг а къаьмнаш. Цара и схьалацархьама, бойнаш а тесна, иза ор чу дожийра.</verse>
				<verse number="9">Цунах чӀагарш чекх а яьхна, иза гур чу хаийра. Бавелан паччахь волчу дӀа а дигна, иза набахти чу доьллира, Исраил-мехкан лаьмнашкахь кхин цуьнан мохь шайна ца хазийта.</verse>
				<verse number="10">Хьан нана хийистехь дӀайоьгӀна кемсийн таьлланг санна яра. Цо дуккха а стоьмаш а, таьллангаш а делира, шена уллохь шортта хи хиларна.</verse>
				<verse number="11">Цуьнан гаьннаш чӀогӀа дара, царах паччахьашна Ӏасанаш йора. Иза ша леккха хьалаяьллера кхечу гаьннашна юкъахь. Дуькъачу гаьннашна юкъахь иза геннара гуш яра лекха йолу дела.</verse>
				<verse number="12">Амма, оьгӀазаллехь лаьттара хьала а даьккхина, и таьлланг лаьтта охьакхоьссира. Малхбалехьара схьахьаькхначу мохо цуьнан стом бакъийра. Цуьнан онда га дакъаделира, ткъа цӀеро иза дӀа а кхаьллира.</verse>
				<verse number="13">Ткъа хӀинца иза яьссачу аренгахь дӀайийна, хих хьоьгуш долчу декъачу лаьттахь.</verse>
				<verse number="14">Цуьнан гаьннашна юккъера араяьллачу цӀеро багийна цуьнан стоьмаш. Цуьнан шех паччахьан Ӏаса ян мегаш долу онда га кхин ца дисина“. ХӀара тийжам бу, тийжам санна лелош а бу».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="20">
				<verse number="1">Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа, ворхӀалгӀачу шеран пхоьалгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь Исраилан халкъан масех къано веара со волчу, Везачу Элах дагавалархьама. Уьш, схьа а баьхкина, суна хьалха охьахевшира.</verse>
				<verse number="2">ТӀаккха соьга Везачу Элан дош кхечира:</verse>
				<verse number="3">«Адаман кӀант! Вистхила Исраилан халкъан къаношка. Ала цаьрга: „Хьалдолчу Эло боху: ‘Шу Сох дагадовла даьхкина? Дийна волчу Сайх Аса чӀагӀо йо, шу Сайх Аса дагадовлуьйтур дац аьлла’. Иштта боху Хьалдолчу Эло“.</verse>
				<verse number="4">Царна тӀехь кхел йийр ю ахь? Уьш бехке бе, адаман кӀант! Царна дагадаийта церан дайша лелийна мел долчу дегазчу хӀуманех лаций.</verse>
				<verse number="5">ДӀаала цаьрга: „Хьалдолчу Эло шуьга боху: ‘Айса Исраилан халкъ хаьржинчу дийнахь, Якъубан тӀаьхьенах болчарна тӀе айдинчу куьйгаца Аса чӀагӀо а йора, царна Со дӀа а вовзуьйтура Аса Мисар-махкахь. Сайн куьг хьала а айина, Аса элира: ‹Со шун Веза Дела ву›.</verse>
				<verse number="6">Цу дийнахь Ас царна дош делира, уьш, Мисар-махкара ара а баьхна, Айса церан дуьхьа теллинчу лаьтта тӀе дӀабига, уггар хазачу, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тӀе.</verse>
				<verse number="7">Ас царна тӀедиллинера, шайна хьалхара боьха цӀуш дӀабаха, шаьш мисархойн цӀуш бахьана долуш ма бехде аьлла, хӀунда аьлча Со церан Веза Дела ву!</verse>
				<verse number="8">Амма уьш Суна дуьхьалбевлира, царна ца лаьара Соьга ладогӀа, цхьаммо а шайна хьалхара боьха цӀуш дӀа ца бехира, я мисархойн цӀушна букъ а ца берзийра. ТӀаккха Ас сацам бира Сайн дералла царна тӀе охьаӀано а, Мисар-махкахь ерриг а Сайн оьгӀазалла царна тӀе яхийта а.</verse>
				<verse number="9">Амма и хӀума Ас Сайн цӀеран дуьхьа дира, Сайн цӀе уьш юкъахь Ӏийначу халкъашна хьалха ца йожийта, Ас уьш Мисар-махкара арабохучу хенахь дӀадовзийтинчу халкъашна юкъахь Сайн цӀе ца йожийта.</verse>
				<verse number="10">Аса уьш, Мисар-махкара ара а баьхна, яьссачу аренга схьабалийра.</verse>
				<verse number="11">Ас царна Сайн парзаш а делира, иштта Сайн тӀедехкинарш дӀа а хаийтира. Ткъа уьш кхочушдийриг цаьргахула билггал вехар ву.</verse>
				<verse number="12">Ас Сайн шоьтан денош а делира царна, Суна а, царна а юкъахь билгалонаш а хилла дӀахӀиттина долу, иштта царна дӀахаийтархьама, Со уьш Сайн дола бохуш волу Веза Эла вуйла.</verse>
				<verse number="13">Амма Исраилан халкъ Суна дуьхьалделира яьссачу аренгахь. Цара Сан тӀедехкинарш кхочуш а ца дора, иштта Сан парзаш дӀа а тоттура. Ткъа уьш кхочушдийриг цаьргахула вехар ма ву. Цара Сан шоьтан денош чӀогӀа сийсаз а дохура. ТӀаккха Ас сацам бира яьссачу аренгахь Сайн дералла царна тӀе йоссо, уьш хӀаллак а беш.</verse>
				<verse number="14">Амма Сайн цӀеран дуьхьа Аса иза кхочуш ца дира. Исраилан халкъ Мисар-махкара арадоккхуш гина долчу къаьмнашна хьалха Суна ца лаьара Сайн цӀе сийсазъяьккхина хилар.</verse>
				<verse number="15">Ас айдинчу куьйгаца цу яьссачу аренгахь чӀагӀо йира царна, уьш шуьрех а, мазах а буьзначу, уггар хазачу, Айса царна дӀабала билгалбаьккхинчу махка уьш схьабалор бац аьлла,</verse>
				<verse number="16">хӀунда аьлча Исраилан халкъо Сан тӀедехкинарш дӀа а тоттура, Сан парзаш кхочуш а ца деш, лелара иза, Ас шайна делла долу шоьтан денош а сийсаздохура, хӀунда аьлча церан дегнаш шайн цӀушна тӀегӀерташ дара.</verse>
				<verse number="17">Амма Ас царах къинхетам а бира, уьш яьссачу аренгахь хӀаллак а ца бира.</verse>
				<verse number="18">Со яьссачу аренгахь церан берашка вистхилира. Ас элира цаьрга: ‹Ма гӀолаш шайн дайша дӀакхехьначу некъашкахула, цара шайна тӀедехкинарш кхочуш а ма делаш, ма бехделаш шаьш, церан цӀушна тӀе а товжий.</verse>
				<verse number="19">Со — шун Веза Дела ву. Сан парзаш кхочуш а деш, лела, Сан тӀедехкинарш, лар а деш, кхочушде.</verse>
				<verse number="20">Ас шайна делла долу шоьтан денош дӀакъастаде, царах Суна а, шуна а юкъахь йолу билгало хилийтархьама а, Со шун Веза Эла хилар цаьрга шуна дагадаийтархьама а›.</verse>
				<verse number="21">Амма церан бераш а Суна дуьхьалдевлира. Уьш Сан парзашца ца лелара, цара Аса тӀедехкинарш лар а ца дора, кхочуш а ца дора. Ткъа уьш кхочушдийриг цаьргахула вехар ма ву. Цара Сан шоьтан денош а сийсаздохура. ТӀаккха Ас сацам бира яьссачу аренгахь царна тӀе Сайн дералла охьаӀано а, цаьрга Сайн оьгӀазалла кхачийта а.</verse>
				<verse number="22">Амма Сайн цӀеран дуьхьа Сайн куьг юхадаьккхира Аса иза кхочушдечуьра. Исраилан халкъ шайна хьалха Мисар-махкара арадаьккхинчу къаьмнашна хьалха Суна ца лаьара Сайн цӀе сийсазъяьккхина хилар.</verse>
				<verse number="23">Аса кхин цхьа чӀагӀо а йира цу яьссачу аренгахь. Айдинчу куьйгаца Ас чӀагӀо йира уьш кхечу къаьмнашкахула дӀасабаржо а, кхечу мехкашкахула дӀасакхисса а.</verse>
				<verse number="24">Иза Аса дира, хӀунда аьлча Исраилан халкъо Сан тӀедехкинарш кхочуш а ца дора, Сан парзаш дӀа а тоттура, Ас шайна делла долу шоьтан денош сийсаз а дохура, шайн бӀаьргашца шайн дайн цӀушна тӀегӀерташ а бара уьш.</verse>
				<verse number="25">Ас царна вон парзаш а, дахарна тӀе ца доьду тӀедилларш а делира.</verse>
				<verse number="26">Ас магадора, шайн сагӀанашца цара шаьш бехдар — цара мелхо а шайн дуьххьарлера бераш цӀерах чекхдохуьйтура. Аса и хӀуманаш дар магадора, уьш Ӏадорхьама. ТӀаккха царна хуур ма дара, Со Веза Эла вуйла’“.</verse>
				<verse number="27">Цундела вистхила Исраилан халкъе, адаман кӀант. ДӀаала цуьнга: „Хьалдолчу Эло иштта боху: ‘Суна тешаме а ца лелаш, кхин ишттачу тайпана а Со дола хийтира шун дайшна.</verse>
				<verse number="28">Аса царна ваӀданца лур ду аьллачу лаьтта тӀе уьш схьабалийначул тӀаьхьа, уьш шайн сагӀанаш даха буьйлабелира, шайна лекха гунаш я тӀехь луьста гӀа долу дитташ мосазза ги. Шайн дийнаташ дагоран сагӀанаш дахарца а, хаза хьожа йогӀу хӀума ягорца а, чагӀаран сагӀанаш дахарца а цара Со оьгӀазвахийтира.</verse>
				<verse number="29">Ас цаьрга хоьттура: ‹Шу тӀе оьхург хӀун гу бу?› — бохуш. (Цундела хӀинца а сагӀа доккху ‹гу› олу цунах.)’“.</verse>
				<verse number="30">ХӀинца дӀаала Исраилан халкъе: „Хьалдолчу Эло боху: ‘Шайн дайша санна, аша Далла хьалха шаьш бех ца до ткъа, Суна тешаме а ца хуьлуш, церан дегазчу цӀушна тӀаьхьахӀуьттуш?</verse>
				<verse number="31">Шайн сагӀанаш цӀушна а дохуш, шайн бераш цӀерах чекх а дохуьйтуш, хӀинцалерчу денна тӀекхаччалц аша Суна хьалха шаьш бех ма до. Аса хьо Сайх дагадолуьйтур ду ткъа, ва Исраилан халкъ? Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Аса, — боху Хьалдолчу Эло, — Аса шу Сайх дагадовлуьйтур ма дац!’“»</verse>
				<verse number="32">«Аша боху: „Тхо кхин къаьмнаш санна, кхечу мехкашкара долу халкъаш санна хир ду, дечигна а, тӀулгана а Ӏамал а еш“. Амма аша бохург цкъа а хир ма дац!</verse>
				<verse number="33">Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Аса, нуьцкъалчу куьйгаца а, тӀекховдийначу пхьаьрсаца а, охьаӀанийначу дераллица а шуна тӀехь паччахьалла дийр ма ду Аса.</verse>
				<verse number="34">Нуьцкъалчу куьйгаца а, тӀекховдийначу пхьаьрсаца а, охьаӀанийначу дераллица а Ас шу кхечу къаьмнашна юкъара ара а дохур ду, шаьш дӀасадаржийначу мехкашкара схьа а гулдийр ду.</verse>
				<verse number="35">Аса цхьана а ден долахь йоцчу яьссачу аренга схьагулдийр ду шу, юьхь-дуьхьал а хӀиттийна, шуна кхел йийр ю Аса.</verse>
				<verse number="36">Ас кхел йийр ю шуна, шун дайшна мисархойн яьссачу аренгахь ма-ярра». Иштта боху Хьалдолчу Эло.</verse>
				<verse number="37">«Сайн коьжалгана кӀелхула лоьлуьйтур ду Аса шу, иштта Сайца бинчу бертан декхарш кхочуш а дойтур ду.</verse>
				<verse number="38">Суна дуьхьалбевлларш а, Суна дуьхьал аьрха лелларш а шуна юкъара схьакъастор бу Ас. Шаьш бехаш болчу махкара Ас уьш арабохур белахь а, уьш цкъа а Исраил-махкана чубогӀур бац. ТӀаккха хуур ду шуна Со Веза Эла вуйла.</verse>
				<verse number="39">Ткъа хьо, Исраилан халкъ, — боху Хьалдолчу Эло, — дало, шух хӀора, шайн цӀуйн гӀуллакх а деш лела! Амма цул тӀаьхьа, аша Соьга ла ца догӀахь, Сан еза цӀе аша кхин сийсазйохур ма яц шайн сагӀанашца а, шайн цӀушца а!</verse>
				<verse number="40">Сан махкахь болчу безачу лам тӀехь, лекхачу Исраилан лам тӀехь, — боху Хьалдолчу Эло, — Суна гӀуллакх а деш, лелар ду дерриг а Исраилан халкъ. Ас цигахь хазахетарца тӀеоьцур ду шу. Цигахь Со хьоьжур ву аша Суна лерина мел долчу хӀумане а, шун тоьллачу сагӀанашка а, шун дезачу совгӀаташка а.</verse>
				<verse number="41">Шаьш дӀасадаржийначу кхечу къаьмнаш юкъара Аса шу ара а даьхча, кхечу мехкашкара Аса шу схьа а гулдича, шу, хаза хьожа йогӀу хӀума санна, тӀеоьцур ду Аса. Кхечу къаьмнашна хьалха шуьгахула дӀагойтур ду Аса Со веза хилар.</verse>
				<verse number="42">Ас шун дайшна ваӀданца лур бу аьллачу Исраил-махка шаьш схьадалийча, хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла.</verse>
				<verse number="43">Цигахь шуна дагадогӀур ду Суна хьалха шаьш бехдеш долу шайн лелар а, шаьш мел лелийна хӀуманаш а. Шун дог дер ду шаьш мел дина вонаш бахьана долуш.</verse>
				<verse number="44">Ва Исраилан халкъ, хьан вочу некъашка а, гамдинчу гӀуллакхашка а ца хьожуш, ткъа Сайн цӀеран дуьхьа Аса хьо лелийча, хуур ду хьуна, Со Веза Эла вуйла». Иштта элира Хьалдолчу Эло.</verse>
				<verse number="45">Соьга юха а Везачу Элан дош кхечира:</verse>
				<verse number="46">«Адаман кӀант! Къилбехьа дӀаверза. Къилбанна дуьхьал вист а хилий, къилбанан аренан хьуьнна дуьхьал Делера болу хаам кхайкхабе.</verse>
				<verse number="47">Къилбанан хьуьне дӀаала: „ЛадогӀа Везачу Элера долчу даше. Хьалдолчу Эло боху: ‘Хьох цӀе лато воллу Со, ткъа оцу цӀеро хьан дерриг а дитташ — къона я декъа уьш делахь а — дӀакхоллур ду. Латийна алу йовр яц, ткъа хӀорра а къилбехьара дуьйна къилбаседе кхаччалц морцур ву.</verse>
				<verse number="48">ТӀаккха адамашна хуур ду Аса, Везачу Эло, и цӀе латийнийла а, иза дӀаяйа йиш йоцийла а’“».</verse>
				<verse number="49">ТӀаккха аса, Яхьазкхиала, элира: «Маржа-яӀ, Хьалдолу Эла! Халкъо сох лаьцна боху: „ХӀетал-металшца дуьйцуш-м вац те иза?“»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="21">
				<verse number="1">Соьга юха а Везачу Элера дош кхечира:</verse>
				<verse number="2">«Адаман кӀант! Ярушалаймана дуьхьал вист а хилий, цуьнан езачу меттигашна дуьхьал кхайкхам бе. Исраил-махкана дуьхьал Соьгара болу хаам бе.</verse>
				<verse number="3">Исраил-махке дӀаала: „Везачу Эло боху: ‘Со шуна дуьхьал ву, Ас Сайн тур баттара доккхур ду, Ас хьоьгара хӀорра а схьавоккхур ву — вон мел верг а, дика мел верг а.</verse>
				<verse number="4">Иштта, хьан диканиг а, вониг а хӀаллаквийр ву Аса, Сайн тур баттара доккхур ду массо а стагана дуьхьал — къилбера дуьйна къилбаседе кхаччалц.</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха массарна а дӀахуур ду, Со Веза Эла вуйла а, иштта Сан баттара даьккхина долу тур юха цу чу дуьжур доцийла а’“.</verse>
				<verse number="6">Ткъа ахьа, адаман кӀант, гӀайгӀане узарш де, дог дохарца узарш де массарна а хьалха.</verse>
				<verse number="7">Цара хьоьга хаьттича: „Ахьа узарш стенна до?“ — ахьа ала деза: „Вайна тӀекхочуш болу хаам бахьана долуш до. Иза тӀекхаьчча, хӀораннан дог, Ӏадийна, дешар ду, массеран а куьйгаш, чуьра са дӀадаьлча санна, охьагӀур ду, хӀораннан а са кхачалур ду, голаш, хи санна, егор ю. ЛадогӀа, и хаам тӀекхочуш ма бу, иза кхочушхир ма ду“». Иштта боху Хьалдолчу Эло.</verse>
				<verse number="8">Соьга Везачу Элан дош кхечира:</verse>
				<verse number="9">«Адаман кӀант! Соьгара нахана хаам бе. ДӀаала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Туьре хьажал! И тур ирдина а ду, заьнгала дина а ду.</verse>
				<verse number="10">Иза адамаш дайа ирдина, стелахаьштиг санна къегийта заьнгала дина. Даккхийдеш лела дезий вай? Сан кӀентан олаллин гӀожан хӀора диттах дог долу.</verse>
				<verse number="11">Ас тур заьнгала дайтира, иза караэцархьама. И тур ира а ду, заьнгала дина а ду, иза хӀаллаквечун кара дӀадалархьама.</verse>
				<verse number="12">Велха, узарш а деш, адаман кӀант, хӀунда аьлча и тур Сан къомана а, берриг а Исраилан элашна а дуьхьал даьккхина ду. Уьш Сан къомаца цхьаьна хӀаллакбина хир бу. Цундела велха, хьайн некха тӀе куьйгаш а детташ.</verse>
				<verse number="13">Иза зер хир ма ду! Делахь а хьан цу гӀожах дог далахь, хьан бала хир бац те?’ Иштта боху Хьалдолчу Эло“.</verse>
				<verse number="14">Ткъа ахьа, адаман кӀант, Соьгара хаам бе, куьйгаш вовшах а детташ. Тур шозза а, кхузза а охьадожийта, и тур адамаш дайъийта лерина ду, доккхачу хӀаллакдарна а лерина ду, иза гонах хьийзаш ма ду,</verse>
				<verse number="15">адамийн дегнаш дашорхьама а, охьаэгнарш дуккха а хилийтархьама а. Церан хӀорра а кевнехь Аса хӀаллакдайтаран тур хӀоттийна. ЭхӀ, ткъес санна къегийта дина ду иза, хӀаллакдайтарна даьккхина!</verse>
				<verse number="16">Аьтту агӀор ирло, ва тур! Аьрру агӀор дӀагӀо! Хьайн иралла дӀа мел ерзийначу агӀор дӀагӀо.</verse>
				<verse number="17">ТӀаккха Ас куьйгаш вовшах тухур ду, Ас Сайн оьгӀазвахар Ӏабор ду. Иза Аса боху, Везачу Эло».</verse>
				<verse number="18">Везачу Элан дош кхечира соьга:</verse>
				<verse number="19">«Адаман кӀант, Бавелан паччахь шен туьраца схьаваийта шина некъан сурт дилла. И ши некъ цхьана махкара схьабогӀуш хила безаш бу. Некъан билгало дӀахӀоттае некъ бекъалучу гӀалахь.</verse>
				<verse number="20">Тур схьадогӀуш болчу некъийн сурт дилла. Цхьа некъ Ӏамминхойн Рабба-гӀала боьдуш бу, ткъа важа некъ ЯхӀуд-махкарчу чӀагӀйинчу Ярушалайме боьдуш бу.</verse>
				<verse number="21">Бавелан паччахь некъ бекъалучу меттехь соцур ву, ша муьлхачу новкъа ваха веза хьожуш пал тасархьама. Цо секхаӀодан пхерчий лестор ду, шен цӀерачу цӀушка хоьттур ду, экханан доӀахе хьоьжур ву.</verse>
				<verse number="22">Цуьнан аьтту куьйга, Ярушалайме гӀо аьлла, кхаж бер бу. Иза, оцу кхоже хьаьжжина, цигахь оганаш херцош долу бӀогӀамаш дӀахӀитто а, адам хӀаллакде, аьлла омра дан а, тӀеман орца даккха а, гӀалин кевнаш дохо гӀирс дӀахӀотто а, гӀалин гонах лаьттан гунаш дан а, гӀала схьаяккхархьама кхиболу тӀеман гӀирс дӀахӀотто а безаш ву.</verse>
				<verse number="23">И тесна пал Ярушалайман бахархошна харц хетар бу, хӀунда аьлча цара бавелхошца барт бина! Делахь а Бавелан паччахьо царна дагадоуьйтур ду уьш бехке хилар, ткъа цо уьш схьалоцур бу».</verse>
				<verse number="24">Цундела Хьалдолчу Эло боху: «Шайн аьрхалла дӀа а йовзуьйтуш, шаьш мел дечу гӀуллакхашкахула шайн къинош дӀа а гойтуш, шаьш бехке хилар гайтира аша. Ткъа аша шаьш шайн бехке хилар дагадаийтарна, шу ницкъаца схьалоьцур ду.</verse>
				<verse number="25">Ткъа хьо, Исраилан халкъан зуламе куьйгалхо, хьан тӀаьххьара де тӀекхаьчна, оцу дийнахь хьуна кхоччуш таӀзар дийр ду».</verse>
				<verse number="26">Хьалдолчу Эло боху: «ДӀаяккха хьайн коьртара чалба а, дӀадаккха таж а. Хийцамаш бен хан тӀекхаьчна. Лакхарнаш лахабаьхна хир бу, ткъа лахарнаш лакхабохур бу.</verse>
				<verse number="27">ХӀуй-пака! ТӀепаза! Аса хӀокху гӀаланах дамардарц дийр ду. Амма иза хир дац, цунна кхел яр шен кара дӀаделларг схьаваллалц. ТӀаккха Аса иза Цунна дӀалур ю».</verse>
				<verse number="28">«Адаман кӀант, Соьгара хаам бе нахе. ДӀаала цаьрга: „Хьалдолчу Эло иштта боху Ӏамминхошка, исраилхойх ца бешаш болчу: ‘Туьре хьажал! И тур баттара даьккхина ду, заьнгала дина а ду адамаш хӀаллакдархьама а, стелахаьштиг санна, къагийтархьама а.</verse>
				<verse number="29">Хьуна дуьхьалхӀиттина суьрташ эрна ду, ткъа пал тийсар а харцдерг ду. Тур зуламечу нехан логгехь ду, церан тӀаьххьара де тӀекхаьчна, оцу дийнахь царна кхоччуш таӀзар дийр ду.</verse>
				<verse number="30">Батта юхадилла тур. Ас кхел йийр ю хьуна, хьо кхоьллинчу меттехь, хьо дуьнен чу ваьллачу лаьтта тӀехь.</verse>
				<verse number="31">Ас Сайн оьгӀазалла хьуна тӀе яссор ю, ткъа Сайн дераллин цӀерца хьуна тӀе садоьӀур ду. Ас къизачу нахе дӀалур ву хьо, адамаш хьийзо корматалла карайирзина болчу.</verse>
				<verse number="32">Хьо цӀарна дечиг хилла дӀахӀуттур ву, хьан цӀий хьан лаьтта тӀехь Ӏанор ду, хьо цхьанна а дагавогӀур вац. Веза Эла волчу Ас боху иза’“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="22">
				<verse number="1">Соьга Везачу Элан дош кхечира:</verse>
				<verse number="2">«Адаман кӀант! Цунна кхел йийр юй те ахь? Хьуна лаьий те цӀий Ӏанийначу Ярушалайм-гӀалина кхел ян? Цо мел лелийна вониг цунна дӀагайта.</verse>
				<verse number="3">ДӀаала цаьрга: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Ва гӀала, хьайна чохь цӀий Ӏенорна, ахь хьайна бохам ма боккху, хьайна цӀуш а беш, хьуо Суна хьалха бех ма йо.</verse>
				<verse number="4">Айхьа Ӏанийна долу цӀий бахьана долуш, ахьа хьо бехке йина, айхьа бина цӀуш бахьана долуш, хьо Суна хьалха бех а йина. Хьан тӀаьххьара де тӀекхаьчна, хьан заманан чаккхе уллоеана. Цундела Ас кхидолу къаьмнаш хьох кхордуьйтур ду, массо а мехкаш хьох доьлуьйтур ду.</verse>
				<verse number="5">Хьуна уллохь берш а, генахь берш а хьох боьлур бу, ва боьхаллина цӀеяхана, карзахаллех юьзнарг.</verse>
				<verse number="6">Исраилхойн куьйгалхошка хьажал. Царах хӀораммо а хьуна чохь шен ницкъаца цӀий Ӏанадора.</verse>
				<verse number="7">Ярушалайман бахархоша шайн дай-наний емалдо, кхечу мехкашкарчу нахана гӀело йо, бисина Ӏаш болу зударий а, бобераш а ледо.</verse>
				<verse number="8">Ахьа Суна деза хетарш а ца лору, иштта Суна лерина шоьтан де а ца лору.</verse>
				<verse number="9">Хьан бахархойх цхьаболчара кхечу нахана мотт бетта, уьш байъийтархьама. Цхьаболчара лаьмнашкахь йолчу езачу меттигашкахь цӀушна сагӀина еана яа хӀума а йоу, дегаза гӀуллакхаш а леладо.</verse>
				<verse number="10">Цхьаберш шайн дайн зударшца дӀабуьйшу, ламаз доьхна болу зударий а хьийзабо цара.</verse>
				<verse number="11">Цхьаверг шен доттагӀчун зудчуьнца лела, важа шен несаца лела, вукхо шен ден йоӀ йолу шен йиша хьийзайо.</verse>
				<verse number="12">Ярушалаймехь ахчанах нах бойъу, юхалург деллачу ахчанна тӀера ял йоккху, шена уллохь волчуьнгара леварца са йоккху, ткъа Со вицвина цара’, — боху Хьалдолчу Эло.</verse>
				<verse number="13">‘Нах лебарца аша са яккхарна а, иштта шайна юкъахь цӀий Ӏенорна а, Аса сайн куьйгаш вовшахтоьхна.</verse>
				<verse number="14">Сатохалур дуй те хьан даге, чохь са долуш санна хир дуй те хьан куьйгаш, Ас хьуна бекхам бечу заманахь? Веза Эла волчу Аса иштта элира, ткъа Айса аьлларг кхочуш а дийр ду Аса.</verse>
				<verse number="15">Аса дӀасадаржор ду шу кхечу къаьмнашкахула а, дӀасакхуьссур ду шу кхечу мехкашкахула а. Суна хьалха шу цӀена цахилар чекхдоккхур ду Аса.</verse>
				<verse number="16">Хьо кхечу къаьмнашна хьалха сийсазъяьккхина хир ю. ТӀаккха хуур ду хьуна, Со Веза Эла вуйла’“».</verse>
				<verse number="17">ТӀаккха соьга Везачу Элера дош кхечира:</verse>
				<verse number="18">«Адаман кӀант! Исраилан халкъ Суна хьалха боьханиг санна хилла дӀахӀоьттира. Кхерчахь тӀехула хӀутту гӀели а, цӀаста а, эчиг а, даш а санна хилира иза. Дети кхерчахь цӀандинчул тӀаьхьа дисина долу боьханиг санна ду и халкъ!</verse>
				<verse number="19">Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: „Шу боьханиг санна хилла дӀахӀиттина дела, Ас шу дерриш а Ярушалаймана чу схьагулдийр ду.</verse>
				<verse number="20">Дети а, цӀаста а, эчиг а, даш а, гӀели а цхьаьна а тухий, кхерчана юккъе дуьллу, цӀе марса а йоккху, уьш дашийтархьама. Аса а, Сайн оьгӀазаллица а, дераллица а шу схьа а гулдина, Ярушалайм-гӀалина чу а дехкина, лалор ду.</verse>
				<verse number="21">Шу схьа а гулдина, Ас Сайн оьгӀазаллин цӀеран Ӏаь тухур ю шуна тӀе, тӀаккха шу цу юкъахь лелар ду.</verse>
				<verse number="22">ЦӀергахь лелаш долу дети санна, шу а лелар ду цу юкъахь. ТӀаккха хуур ду шуна, Веза Эла волу Со вуйла, шуна тӀе Сайн дералла йоссийнарг“».</verse>
				<verse number="23">ТӀаккха соьга Везачу Элан дош кхечира:</verse>
				<verse number="24">«Адаман кӀант! ДӀаала Исраил-махке: „Дала бекхам бечу дийнахь хьо цӀанбаза бисина мохк а бу, хьан лаьтта тӀе догӀа а ца деана!“</verse>
				<verse number="25">Мехкан пайхамарш зуламечу ойланашца вовшахтийсало, шен ижу а цоьстуш, гӀигӀ деш долу лом санна. Цара дуккха а нах хӀаллак а бо, цаьргара хьал а, жовхӀарш а схьа а доху, уьш бахьана долуш бисина Ӏаш болу зударий махкахь алсамбуьйлуш бу.</verse>
				<verse number="26">Мехкан динан дайша Сан товрат-хьехамаш дӀа а тотту, Суна лерина хӀуманаш сийсаз а йоху, дезаниг деза доцучух дӀа ца къастадо, иштта хьанал дерг хьарамчух а дӀа ца къастадо. Цара Суна лерина шоьтан де а ца лору. И хӀума лелорца Цара Со а бехво.</verse>
				<verse number="27">Мехкан куьйгалхой ижу дӀасаийзош йолчу берзалойх тера бу. Нехан цӀий а Ӏенош, уьш байъа а бойъуш, шайна са лоьху цара.</verse>
				<verse number="28">Мехкан пайхамарш вочу пена тӀехь кир тухуш санна лела, хӀунда аьлча царна эрна суьрташ а го, цара харцболу пал а туьйсу. Цара боху: „Иштта олу Хьалдолчу Эло“, Веза Эла волчу Аса шайга хӀумма а ца дийцинехь а.</verse>
				<verse number="29">Мехкан наха кхиберш Ӏехабо, талораш до, къечунна а, мискачунна а гӀелонаш йо, кхечу махкара тӀебаьхкина нах а хьийзабо.</verse>
				<verse number="30">Пен тобан, пенна Ӏуьрг даьллачу метте мехкан дуьхьа дӀахӀотта стаг лийхира Ас, Соьга и мохк хӀаллак ца байтархьама, амма Суна иза ца карийра.</verse>
				<verse number="31">Цундела Ас Сайн оьгӀазалла дӀагойтур ю царна, Сайн дераллин цӀерца Ас хӀаллакбийр бу уьш, цара мел лелийнарг царна дуьхьал доккхур ду Аса». Иштта боху Хьалдолчу Эло.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="23">
				<verse number="1">Везачу Элан дош кхечира соьга:</verse>
				<verse number="2">«Адаман кӀант! Цкъа ши зуда хилла — цхьана ненан ши йоӀ.</verse>
				<verse number="3">Шаьшшиъ къона йолчу хенахь дуьйна Мисар-махкахь церан нахаца лелаш хилла и шиъ. Мисар-махкахь церан накхош хьекхийна, куьг тохаза йолу накхойн юьхьигаш Ӏийдина.</verse>
				<verse number="4">Йоккхаха йолчун цӀе УхӀулат яра, жимаха йолчун — УхӀулибат. И йижарий Сан бара, цара Суна кӀентий а, зудабераш а дора. УхӀулат — иза Шамран-гӀала ю, ткъа УхӀулибат — иза Ярушалайм-гӀала ю.</verse>
				<verse number="5">5-6 УхӀулат, Суна тешаме а йоцуш, нахаца лелара. Иза ашурхой болчу шен безаргашца лела марзъеллера. Уьш бара сийна духарш дуьйхина болу тӀемалой а, мехкадай а, меттиган куьйгалхой а. Уьш массо а хаза къонахой бара, говза дошлой болу.</verse>
				<verse number="6">***</verse>
				<verse number="7">ТӀаккха иза берриг а оцу къоначу кӀенташца лела йолаелира, ткъа уьш Ашур-махкара уггар тоьлла кегий нах бара. Боьхачу лаамех а юьзна, ша мел лелла цӀуш бахьана долуш, ша Далла хьалха бехйира цо.</verse>
				<verse number="8">Мисар-махкахь йолуш ша долийна долу нахаца лелар ца дитира цо. Иза къона йолчу хенахь божарий буьйшура цуьнца, цуьнан куьг тохаза йолу накхойн юьхьигаш Ӏуьйдура цара, шайн хьайна хилар цунна тӀе а дассадора.</verse>
				<verse number="9">ТӀаккха Аса иза шен безаргийн кара дӀаелира. Иза ашурхошца лела марзъеллера, церан кара Аса иза дӀа а елира.</verse>
				<verse number="10">Цара иза ерзина яьккхира, цуьнан кӀентий а, зудабераш а схьадехира цара, ткъа иза ша туьраца йийра. Цунна и таӀзар динчу хенахь зударша иза, сийсазйохуш, юьйцура.</verse>
				<verse number="11">Цуьнан жимаха йолу йиша УхӀулибат и дерриг а гуш яра, амма цунна нахаца лела лаар кхин а чӀогӀа гена даьллера, иза шен йишел а чӀогӀа нахаца лелаш яра.</verse>
				<verse number="12">Иза ашурхошца — мехкадайшца а, меттиган куьйгалхошца а, хаза духарш дуьйхина болчу тӀемалошца а, говза дошлошца а — лела марзъелира. Уьш берриш а тоьлла къонахой бара.</verse>
				<verse number="13">Суна гира, цо а ша Суна хьалха бехйина хилар. ШолгӀа йиша а хьалхарчун некъа яьллера.</verse>
				<verse number="14">УхӀулибатан Суна тешаме цахилар кхин а генадаьллера. Шена пенаш тӀехь басаршца дехкина цӀен духар дуьйхина хашадхойн божарийн суьрташ гича, цо шен нахаца лелар кхин а алсамдаьккхира.</verse>
				<verse number="15">Хашадхоша гӀодаюккъехь доьхкарш леладора, церан кортош тӀе техкина хаза чалбанаш яра. Уьш берриш а, тӀехьаьжча, лакхарчу даржехь болчу тӀеман хьаькамех тера бара, Хашад-махкахь бина болчу бавелхойн элех тера а болуш.</verse>
				<verse number="16">УхӀулибат цаьрца, цкъа дӀахьожжушехь, массаьрца а лела марзъелла. Цо бавелхой болчу шен геланчаш бахийтира.</verse>
				<verse number="17">Ткъа уьш, схьа а баьхкина, УхӀулибатан меттахь цуьнца дӀабийшира. Шайн боьха леларца цара иза Далла хьалха бехйира. Иштта ша бехйича, иза шен безаргех, дог а даьлла, дӀайирзира.</verse>
				<verse number="18">УхӀулибата цхьаннах а хьул ца дора шен нахаца лелар, цо шен дегӀ божаршна дӀаделира. ТӀаккха Со цунах дӀавирзира, цуьнан йишех ма-верззара.</verse>
				<verse number="19">Амма иза нахаца лелачуьра ца сецира. Цо ша къона хилла зама дагаоьхуьйтура, ша Мисар-махкахь нахаца лелар шена дагахь а латтош.</verse>
				<verse number="20">Виран санна, дегӀ долчу а, бокъий санна хьайна болчу а шен безаргашца леларан лаамех юьзна яра иза.</verse>
				<verse number="21">УхӀулибат, хьуна дагаеана хьо къона хилла йолу зама, Мисар-махкахь хьан везарго хьайн накхойх куьйгаш а Ӏуьттуш, куьг тохаза йолу накхойн юьхьигаш Ӏуьйдуш хилла йолу зама».</verse>
				<verse number="22">Цундела, УхӀулибат, Хьалдолчу Эло иштта боху: «Хьуна кӀордийна хьайн безаргаш, амма Ас массо а маьӀӀера уьш кхуза схьакхойкхур бу, тӀаккха цара хьуна го бийр бу.</verse>
				<verse number="23">Ас уьш берриш а схьабалор бу: берриг а хашадхойх болу бавелхойн элий, Пакхудера а, ШуӀагара а, КхуӀагара а божарий, цаьрца цхьаьна Ашур-махкара элий а. Уьш берриш а хаза къонахой бу, мехкадай а, меттиган куьйгалхой а, лакхарчу даржера болу тӀеман хьаькамаш а. Ткъа уьш берриш а говза дошлой бу.</verse>
				<verse number="24">Уьш хьуна тӀелетар бу герзашца а, гӀудалкхашца а. Церан йоккха тоба хир ю, доккхачу а, жимачу а турсашца а, гӀемашца а. Цара хьуна го бийр бу, ткъа Ас хьо церан кара дӀалур ю, цаьрга хьуна тӀехь кхел яйтархьама. Иштта цара, шайн Ӏадаташка хьаьжжина, хьуна таӀзар дийр ду.</verse>
				<verse number="25">Сайн эмгаралла Ас хьуна дуьхьал йоккхур ю, уьш, оьгӀаз а бахана, хьуна дуьхьал бевр бу, цара хьан мара а, лергаш а дохур ду, ткъа хьох тӀаьхьадиснарг туьро хӀаллакдийр ду. Цул тӀаьхьа цара хьоьгара кӀентий а, зудабераш а схьадохур ду, ткъа диснарг цӀарца дагор ду.</verse>
				<verse number="26">Цара хьан хаза духар а, жовхӀарш а дӀадохур ду.</verse>
				<verse number="27">Ас сацор ду хьан боьха лелар а, хьан нахаца лелар а, ахь Мисар-махкахь долийна долу. Хьо оцу леларе кхин цкъа а лаамца хьоьжур яц, ткъа Мисар-мохк дагабогӀур а бац хьуна».</verse>
				<verse number="28">Хьалдолчу Эло иштта боху: «ХӀинца Ас хьо хьуна ца безаш болчеран кара дӀалуш ю, хьан дог шайх дӀадирзинчеран кара.</verse>
				<verse number="29">Цара гойтур бу хьуна шайн цабезам, цара, ахьа къахьегна даьккхинарг дӀа а даьккхина, хьо ерзина юьтур ю. Хьан нахаца лелар а, боьха лелар а, кхахьпалла а массарна а гуш хир ду, хьо юьхьӀаьржачу а хӀоттош.</verse>
				<verse number="30">И дерриг а хьуна дийр ду, хӀунда аьлча хьо кхечу къаьмнашца лела марзъелира, церан цӀушна Ӏамалъярехула хьо бех а еш.</verse>
				<verse number="31">Хьо хьайн йишас дӀакхехьначу некъа тӀе елира. Цундела Ас хьоьга дӀалур бу цуьнан таӀзаран кад».</verse>
				<verse number="32">Хьалдолчу Эло иштта боху: «Хьайн йишин кад ахьа дӀамер бу. Иза кӀорга а, шуьйра а бу. Массо а хьох кхордуьйту цо. И кад буьззина ма бу!</verse>
				<verse number="33">Хьо ехна а хир ю, цо гӀайгӀанех юзур а ю хьо. ХӀаллакьхиларан, Ӏожаллин кад хьан йиша йолчу Шамран-гӀалин ма бу.</verse>
				<verse number="34">И кад ахьа дӀамер бу берриг а, ткъа иза кагбелча, цуьнан аьхкашна тӀе мотт хьоькхур бу ахьа, хьайн накхош а схьадохур ду ахьа. И иштта хир ду, иза Ас, Хьалдолчу Эло, аьлла дела».</verse>
				<verse number="35">Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху: «Со виц а вина, Суна букъ берзорна, ахь бала лан беза хьайн боьха леларна а, хьайн нахаца леларна а».</verse>
				<verse number="36">Везачу Эло соьга элира: «Хьо кийча вуй УхӀулатна а, УхӀулибатна а кхел ян? Цара лелийна мел долу дегазчу хӀуманех лаций дӀаала цаьрга.</verse>
				<verse number="37">Уьш нахаца лелла, церан куьйгаш тӀехь нехан цӀий ду. Шайн цӀушца а лелла уьш. Шаьш Суна бина болу кӀентий а цара, цӀерах чекх а бохуьйтуш, цӀушна кхачанна дӀалора.</verse>
				<verse number="38">Суна дуьхьал а бовлуш, кхин а иштта хӀуманаш дора цара: оццу хенахь цара Сан еза меттиг бех а йора, Суна лерина шоьтан денош сийсаз а дохура.</verse>
				<verse number="39">Шайн бераш шайн цӀушна сагӀина даьхьначу дийнахь, цара Сан еза меттиг, чу а бовлий, сийсазйоккхура. Иштта лелара уьш Сан цӀа чохь.</verse>
				<verse number="40">Иза дина а ца Ӏаш, цара кхечу мехкашкара баьхкинчу нахана тӀаьхьа шайн геланчаш бохуьйтура. Уьш схьабаьхкича, хьо, хьайн юьхь а юьлий, бӀаьргашна басар а хьокхий, хьайна тӀе жовхӀарш а духий, дӀахӀуттура.</verse>
				<verse number="41">ТӀаккха шу хаза кечбинчу метта довлура. Цу метта хьалхахь лаьтташ хаза кечйина стол а хуьлура, цунна тӀехь лаьтташ Сан хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а, Сан даьтта а долуш.</verse>
				<verse number="42">Хьан цӀенна чуьра хезаш хуьлура тойне гулъеллачу тобанан гӀовгӀа. Оцу тойне схьабалабора яьссачу аренгара мелла болу нах. Цара зударшна хаза хӀазарш а, исбаьхьа таьжнаш а лора.</verse>
				<verse number="43">ТӀаккха Аса элира: „Нахаца а лелаш, ямартло еш йолу и зуда гӀелъеллехь а, цуьнца божарша кхахьпалла леладо“.</verse>
				<verse number="44">Божарий юх-юха а иза йолчу оьхура, кхахьпа долчу санна. Иштта боьха лелаш йолчу УхӀулатна а, УхӀулибатна а тӀеоьхура уьш.</verse>
				<verse number="45">Амма бакъахьа лелаш болчу божарша царна бехк буьллур бу. Цара кхел йийр ю царна, нахаца лелаш а, цӀий Ӏенош а болчу зударшна санна, хӀунда аьлча уьш нахаца лелаш а бу, церан куьйгаш цӀийх дуьзна а ду».</verse>
				<verse number="46">Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Схьагулъе адамийн тоба, цаьрга УхӀулатна а, УхӀулибатна а тӀехь ницкъ байта а, къола дайта а.</verse>
				<verse number="47">Цул тӀаьхьа гулбеллачеран тобано царна тӀе тӀулгаш кхуьссур ду, таррашца уьш цоьстур а бу, цу зударийн кӀентий а, зудабераш а дойур а ду цара, иштта церан цӀенош а дохор ду.</verse>
				<verse number="48">Ас иштта сацор ду кху махкахь боьха лелар, кхиболчу массо а зударшна хӀара хӀума дӀахьедар а деш, уьш нахаца ца лелийтархьама.</verse>
				<verse number="49">Шуна таӀзар дийр ду шун боьха лелар бахьана долуш, иштта цӀушна Ӏамал а еш, аша летийначу къиношна жоп дала дезаш а ду шу. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Хьалдолу Эла вуйла».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="24">
				<verse number="1">Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа уьссалгӀачу шеран уьтталгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь соьга Везачу Элан дош кхечира:</verse>
				<verse number="2">«Адаман кӀант! ДӀаязде хьайна хӀара де а, хӀунда аьлча кху дийнахь Бавелан паччахьан эскаро Ярушалаймана го бина.</verse>
				<verse number="3">Даладе аьрхачу Исраилан халкъана хӀара хьекъале дустар, дӀаала цуьнга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Яй цӀерана тӀе а хӀоттабай, цу чу дуьззина хи дотта.</verse>
				<verse number="4">Цу яй чу жижиг дилла, уггар дикачу меттера схьа а даккхий — пханар тӀера а, гӀогӀа тӀера а жижиг, иштта дика даьӀахкаш чу а яхкий, хьалабуза и яй.</verse>
				<verse number="5">Жена юкъара уггар дика уьстагӀий схьа а эций, яйна буха цӀе латае, хи кхехкаде, цу чуьра даьӀахкаш дикка кхехккалц’“».</verse>
				<verse number="6">Хьалдолчу Эло иштта боху: «Къа ду цӀий Ӏанадечу гӀалин. Иза мекханан томмагӀаш тӀехь долчу ех тера ю, шена тӀера телхинарг дӀа ца даьллачу. Цу чуьра дакъош схьадаха, царах кхаж а ца тосуьйтуш.</verse>
				<verse number="7">Ӏанийна цӀий цунна чохь ма ду. Иза тархана тӀехь дитина цо, лаьтта тӀе охьа а ца Ӏанош, цу тӀе чан ца йиллийта.</verse>
				<verse number="8">Ас цӀий тӀулгаш тӀехь дитина, иза къайла ца даккхийта. Ас иза дина адам оьгӀаздахийта, цаьрга хӀаллакбиначеран чӀир эцийта».</verse>
				<verse number="9">Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху: «Къа ду цӀий Ӏанадечу гӀалин. Ас-Айса йоккха цӀе латор ю.</verse>
				<verse number="10">Дуккха а дечиг тӀекӀел а диллий, цунах цӀе латае. Кхехкаде и жижиг, яй чохь ерг юкъ а елла, даьӀахкаш яггалц.</verse>
				<verse number="11">Бассабелла яй кӀегаш тӀе хӀоттабе, цуьнан цӀаста, дох а делла, къагийтархьама. Иза диларех цӀанбийр а бу, цунна тӀера ерриг а ачо дӀакхоллур а ю.</verse>
				<verse number="12">Иза хала болх бу, хӀунда аьлча цунна тӀера, цӀе ягийча а, йоккха ачо дӀаер яц.</verse>
				<verse number="13">Хьан боьха леларца хьо дукха бехбелла, цундела Ас хьо мел цӀанбарх а, цӀан а ца ло хьо. ХӀинца чул тӀаьхьа а хьайн бехбаларх хьо цӀанлур бац, Ас хьайна тӀехь Сайн дералла Ӏабаяллалц.</verse>
				<verse number="14">Веза Эла волчу Ас аьллера. Айса аьлларг Аса кхочушдан деза хан тӀекхаьчна. Аса кхин тӀаьхьатоьттур яц и хан, хьох къа а хетар дац Суна, хьох къинхетам а бийр бац Аса. Хьан леларе а, ахь мел диначуьнга а хьаьжжина, Аса кхел йийр ю хьуна». Иштта боху Хьалдолчу Эло.</verse>
				<verse number="15">Соьга Везачу Элан дош кхечира:</verse>
				<verse number="16">«Адаман кӀант! Хьуна дукхаезашъерг хьоьгара схьаяккха воллу Со. Иза кестта лийр ю, амма хьо гӀайгӀане лела ца веза, бӀаьрхиш дийла ца деза хьан бӀаьргех.</verse>
				<verse number="17">Цхьанна а ца хозуьйтуш, даккхий синош даха, чӀогӀа тийжа а ца тийжаш. Хьайн коьртара чалба дӀа а ма яста, мачаш кога а юха, хьайн маж къайла а ма яккха, тийжаран кхача а ма баа».</verse>
				<verse number="18">Ӏуьйранна аса нахаца къамел дира. Цу суьйранна сан зуда кхелхира. Ткъа шолгӀачу дийнахь Ӏуьйранна аса Везачу Эло сайга аьлларг дира.</verse>
				<verse number="19">Халкъо соьга элира: «Алахьа тхоьга, и дерриг а тхуна хӀун маьӀна долуш хӀума ду?»</verse>
				<verse number="20">Ткъа аса цаьрга элира: «Соьга Везачу Элан дош кхечира,</verse>
				<verse number="21">Исраилан халкъе дӀаала: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Сан дезачу цӀийнах шу дозалла деш делахь а, иза шун чӀагӀо елахь а, иза шуна хьежа лууш йолу меттиг елахь а, иза шуна баккъал дезахь а, Со иза бехдан воллу. Ткъа аша битина болу шун кӀентий а, зудабераш а туьро хӀаллакбийр бу.</verse>
				<verse number="22">Ткъа аша Яхьазкхиала диннарг дийр ду: шайн мажош аша къайлайохур яц, тийжаран кхача а аша буур бац.</verse>
				<verse number="23">Шун кортош тӀехь йихкина чалбанаш хир ю, когахь шайн мачаш а хир ю шун, шу тийжар а дац, доьлхур а дац, амма шайн къинош бахьана долуш телхар ду шу, вовшашна хьалха даккхий синош а дохуш’.</verse>
				<verse number="24">Яхьазкхиал масална хир ву шуна: цо диннарг аша а дийр ду. И дерриг а кхочушдича, хуур ду шуна, Со Хьалдолу Эла вуйла“».</verse>
				<verse number="25">«Ткъа хьох лаьцна аьлча, адаман кӀант, Аса церан чӀагӀо а, хазахетар а, сийлалла а, царна хьежа лууш йолу меттиг а, царна баккъал дезаш дерг а, иштта церан кӀентий а, мехкарий а схьабаьхча,</verse>
				<verse number="26">цу дийнахь цигара кӀелхьарваьллачех волу цхьаъ вогӀур ву хьуна тӀе вон кхаъ бахьаш.</verse>
				<verse number="27">Цу дийнахь хьан йиш хир ю цу кӀелхьарваьллачуьнца къамел дан. ТӀаккха хьо вист ца хуьлуш вуьсур вац, иштта царна билгало хилла дӀа а хӀуттур ву хьо. ТӀаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="25">
				<verse number="1">Везачу Элан дош кхечира соьга:</verse>
				<verse number="2">«Адаман кӀант! Ӏамминхойн къомана дуьхьал вист а хилий, Соьгара болу хаам бе цуьнга.</verse>
				<verse number="3">ДӀаала Ӏамминхошка: „ЛадогӀа Хьалдолчу Элан даше. Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Аша сакъералуш: ‹Жолам-яӀ›, — олура, Сан еза меттиг сийсазъяьккхича, шу Исраилан махках доьлура, иза бассийначу хенахь, шу ЯхӀудан халкъах кхаьрдара, иза йийсаре дӀадуьгучу хенахь.</verse>
				<verse number="4">Шу иштта леларна Аса шу малхбалехьарчу нахе дӀалур ду. Цара шун латта дӀалоцур ду, церан эскарша шун лаьтта тӀехь шайн меттамотт дӀахӀоттор бу, уьш шуна юкъахь баха а ховшур бу, шун стоьмаш а бууш, шун шура а муьйлуш.</verse>
				<verse number="5">Ас Рабба-гӀала эмкалийн дежийла йина дӀахӀоттор ю, ткъа Ӏамминхойн мохк уьстагӀийн керт йина дӀахӀоттор бу. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла’.</verse>
				<verse number="6">Хьалдолчу Эло боху: ‘Ярушалайм хӀаллакьхилар бахьана долуш тӀараш детташ, когаш бетташ, Исраил-махках даггара кхаьрдаш, шу сакъералуш хиларна,</verse>
				<verse number="7">Аса Сайн куьг шуна дуьхьал дӀакховдор ду, Ас кхечу къаьмнашка талораш дойтур ду шуна. Ас кхечу къаьмнех дӀа а хадор ду шун къам, иштта кхечу мехкех дӀа а хедар бу шун мохк. Ас хӀаллакдийр ду шун халкъ, тӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла’“».</verse>
				<verse number="8">Хьалдолчу Эло иштта боху: «Муаби-къомо а, СеӀир-къомо а дуьйцура: „ЯхӀудан къам кхидолу къаьмнаш санна ду“, — бохуш.</verse>
				<verse number="9">Цундела Ас Муаби-мехкан дозанашкахь йолу гӀаланаш схьайохур ю, царна юкъахь мехкан уггар хаза гӀаланаш — Байт-Яшимут а, БаӀал-МаӀун а, Кхиръятим а — елахь а.</verse>
				<verse number="10">Ас и мохк, Ӏамминхошца цхьаьна, малхбалерчу халкъашна дӀалур бу, кхечу къаьмнашна Ӏамминхой кхин дага а ца бахкийтархьама.</verse>
				<verse number="11">Ас таӀзар дийр ду Муаби-къомана, тӀаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла».</verse>
				<verse number="12">Хьалдолчу Эло иштта боху: «ЯхӀудан халкъана къиза бекхам барна, Эдоман къомо шех доккха къа а латийна, иза чӀогӀа бехке а хилла.</verse>
				<verse number="13">И хӀума бахьана долуш, — боху Хьалдолчу Эло, — Ас Сайн куьг дӀакховдор ду Эдомна дуьхьал, цуьнан халкъ а, дийнаташ а хӀаллакдийр ду. Теманна тӀера Дадданна тӀе кхаччалц Ас цуьнан мохк бассор а бу, массо а туьро хӀаллаквина а хир ву.</verse>
				<verse number="14">Сан къам долчу Исраилан халкъан гӀоьнца Ас бекхам бийр бу Эдомна. ТӀаккха цара Сан оьгӀазвахаре а, Сан дера хиларе а хьаьжжина, хӀума дийр ду цигахь. ТӀаккха бевзар бу царна Сан бекхам», — иштта боху Хьалдолчу Эло.</verse>
				<verse number="15">Иштта боху Хьалдолчу Эло: «ПӀелаштамхоша къиза бекхам бора, ЯхӀудан халкъах уьш даггара кхаьрдара, бӀешерашкара дуьйна йолчу шайн инкарлонца халкъ хӀаллакдар лоьхура.</verse>
				<verse number="16">И хӀума бахьана долуш, — боху Хьалдолчу Эло, — Ас Сайн куьг дӀакховдор ду пӀелаштамхошна дуьхьал. Ас кератхой а дӀабохур бу, хӀордан йистехь бисина берш а хӀаллакбийр бу.</verse>
				<verse number="17">Ас чӀогӀа бекхам бийр бу, Сайн дераллица царна таӀзар а деш. Ас шайна тӀехь бекхам бича, хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="26">
				<verse number="1">Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа цхьайтталгӀачу шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь соьга Везачу Элан дош кхечира:</verse>
				<verse number="2">«Адаман кӀант! Цора-гӀалин бахархоша вониг дуьйцура Ярушалаймах лаьцна: „Жолам-яӀ! Кхидолу къаьмнаш долчу кхочуш долу ков хилла йолу и гӀала йохийна ю! Йохкар-эцаран неӀ тхуна схьа-ма-йиллина! И гӀала хӀуй-пака а яьккхина, тхайна хьал схьагулдийр ма ду оха!“</verse>
				<verse number="3">Цундела Хьалдолу Эла волчу Аса боху: „Со хьуна дуьхьалваьлла ву, Цора-гӀала. Ас хьуна дуьхьалдоккхур ду дуккха а халкъаш. Уьш хьуна тӀегӀуртур ду, хӀордан йистана тулгӀенаш тӀе-ма-гӀорттара.</verse>
				<verse number="4">ТӀаккха Цора-гӀалин пенаш дохор ду, иштта йохийна хир ю цуьнан бӀаьвнаш а. Ур-атталла къапалг Аса арахьокхур ю цигара, цунах ерзина тарх а еш.</verse>
				<verse number="5">Цора-гӀала хӀорда юккъехь чӀерийлецархойн бойнаш якъош йолу меттиг хилла дӀахӀуттур ю, — боху Хьалдолу Эла волчу Аса. — Цора-гӀалина кхечу къаьмнаша талор дийр ду.</verse>
				<verse number="6">Ткъа гӀайренна дуьхьал хӀордан йистехула лаьтташ болу цуьнан мехкарий туьро хӀаллакбийр бу. ТӀаккха царна хуур ду, Со Веза Эла вуйла“.</verse>
				<verse number="7">Хьалдолчу Эло иштта боху: „Ас Цора-гӀалина дуьхьалваккха къилбаседехьара Бавелан паччахь волу Набухди-Нецар схьавалор ву. Иза паччахьийн паччахь ву. Иза дуккха а адамийн эскарца а, говрашца а, гӀудалкхашца а, дошлошца а схьавогӀур ву.</verse>
				<verse number="8">Набухди-Нецара хӀордан йистехула лаьтташ болу хьан мехкарий таррашца хӀаллакбийр бу. Цо, гӀала схьаяккхархьама, тӀеман гӀирс а дӀахӀоттор бу, гӀалина гонах лаьттан гунаш а дийр ду, ша ларвархьама хьуна дуьхьал турсаш а дохур ду.</verse>
				<verse number="9">Цо оганаш херцош долу бӀогӀамаш хьан пенашна дуьхьал деттар ду, хьан бӀаьвнаш зӀокбергашца йохор ю.</verse>
				<verse number="10">Цуьнан говраша яьккхинчу чено хьо къайла а йоккхуш, дукха говраш хир ю цуьнан. Хьан пенаш цуьнан говраша а, гӀудалкхаша а яьккхинчу гӀовгӀано дегор ду, иза гӀалин кевнехула, йохийначу гӀалина чу ма-ваххара, чувогӀучу хенахь.</verse>
				<verse number="11">Шен говрийн бергашца цо хьан гӀалин урамаш дохор ду, хьан халкъ цо таррашца отур ду, ткъа хьан андий бӀогӀамаш лаьтта тӀе охьадеттар ду.</verse>
				<verse number="12">Цара хьан дерриг а хьолана талор дийр ду, хьан йохкаэцаран хӀуманаш шайна схьаоьцур ю. Иштта хьан пенаш а дохор ду, хьан хаза цӀенош а хӀаллакдийр ду цара. Цунах йисина къапалг а, дитташ а, латта а хӀорда чу кхуссур ду.</verse>
				<verse number="13">Аса хьан ирсе эшарш сацор ю. Адамашна кхин хезар дац хьан дечиг-пондарийн аз.</verse>
				<verse number="14">Ас хьо, ерзина тарх а йина, дӀахӀоттор ю. Хьо чӀерийлецархойн бойнаш якъош йолу меттиг хилла дӀахӀуттур ю. Хьо кхин юхаметтахӀоттийна хир яц, хӀунда аьлча Аса, Везачу Эло, боху иза“. Иштта элира Хьалдолчу Эло».</verse>
				<verse number="15">Иштта боху Хьалдолчу Эло Цора-гӀале: «Хьо южуш даьллачу татанах а, чевнаш хиллачара дечу узарех а, хьуна чохь адамаш дайарх а, кхераделла, дегор дац теша хӀордан йистехь дехаш долу къаьмнаш?</verse>
				<verse number="16">ХӀордана йистехь йолчу массо а пачхьалкхийн куьйгалхоша, шайн гӀанташ тӀера хьала а гӀевттина, шайна тӀера хаза тӀамарш тӀехь йолу обанаш дӀа а яьхна, сингаттаман духар тӀе духур ду. Уьш, лаьтта охьа а хевшина, кхерарна, бегош хир бу, хьуна хиллачух цец а буьйлуш.</verse>
				<verse number="17">Хьо бахьана долуш тийжам а беш, цара бохур ду: „Хьо къайла ма яьлла, ва цӀеяхана гӀала! Хьуна чохь хӀордахой Ӏаш ма бара. Хьо хи тӀехь ницкъ болуш лаьтташ ма яра, хьо а, хьан бахархой а. Цара кхерамехь латтабора хӀорда йистехь мел бехаш берш а.</verse>
				<verse number="18">Ткъа хӀинца, хьо йоьжначу хенахь, хӀордана йистехь дехаш долу дерриг а къаьмнаш кхерарна дегош ду. ГӀайренаш а ю кхерамах юьзна, хьо хӀаллакьхилар бахьана долуш“».</verse>
				<verse number="19">Хьалдолчу Эло иштта боху: «Ас хьо яссор ю, чохь Ӏаш цхьа а стаг а воцуш йолу гӀаланаш санна хир ю хьо. Ас хьуна тӀе хин тулгӀенаш хьалаайор ю, хьо цаьрга хин буха яхьийта.</verse>
				<verse number="20">Ас хьо эхарте кхочуьйтур ю, ширачу заманашкара адамаш долчу. Ас хьо лаьттан буха охьайохуьйтур ю, даима долчу къапалгашна юкъахь, эхарте кхаьчначаьрца цхьаьна. Хьуна чохь кхин цкъа а адамаш дехар дац, иштта дийна болчеран дуьнен чохь хьан сийлалла гойтур а яц.</verse>
				<verse number="21">Ас хьох къемате масала дийр ду, ткъа хьо кхин цкъа а хир яц. Хьо наха лоьхур ю, амма кхин цкъа а хьо карор яц». Иштта боху Хьалдолчу Эло.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="27">
				<verse number="1">Соьга юха а Везачу Элан дош кхечира:</verse>
				<verse number="2">«Ахьа а, адаман кӀант, дӀадоладе Цора-гӀаланах лаций гӀайгӀане тийжар.</verse>
				<verse number="3">ДӀаала хӀорда йистехь схьаеанчу меттехь яха хиъначу цуьнга, хӀордан йистехь дехаш долчу дуккха а къаьмнашца йохкаэцар лелош йолчу цуьнга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Цора-гӀала! Ахьа хьо кхоччуш хаза ю боху.</verse>
				<verse number="4">Хьан дозанаш хӀордан юккъе кхечира, хьо йинчара кхоччуш хаза хинкема санна йина.</verse>
				<verse number="5">Санирехь кхуьучу зоьзан диттах йина ю хьан ерриг а лакхенаш, ткъа хьан мачтанаш Ливанун-ломахь тӀекхуьуш долчу баганан диттах йина ю.</verse>
				<verse number="6">Хьан пийсакаш Башанера деанчу ножан диттах дина дара. Хьан цӀенкъа Хитамарчу зоьзан дечиган аннех йина яра, пийлан кӀомсарех кечйина йистош а йолуш.</verse>
				<verse number="7">Хьан гатанаш Мисар-махкара деанчу тӀамарш йолчу кӀадих дина дара, уьш байракхаш санна дӀатоьхна а дара. Элша-гӀайренна тӀера деана стигалан басахь а, таьӀна-цӀен а долу кӀадеш хьан шаршу хилла дӀахӀиттинера.</verse>
				<verse number="8">ЦӀаданера а, Арвадигара а бахархой бара хьан пийсакаш лелорхой. Ткъа хьан говза нах, ва Цора-гӀала, кемалелорхой бара.</verse>
				<verse number="9">Кеманна даьлла Ӏуьргаш дӀадукъуш Гебалара говзанчаш а бара хьан. ХӀордан дерриг а кеманаш а, церан кемалелорхой а хьуна чохь хуьлура, хьоьца йохкаэцар а лелош.</verse>
				<verse number="10">Парси-махкара а, Луда-махкара а, ПӀатӀа-махкара а тӀемалой бара хьан эскарна юкъахь, цара хьан цӀенойн пенашна тӀе шайн турсаш а, гӀемаш а хьалаоьхкира, цара хьан сий а хьалаайира.</verse>
				<verse number="11">Арвадин а, Хьелакан а тӀемалой бара гобаьккхина хьан пенаш тӀехь лаьтташ, иштта Гамадара нах а бара хьан бӀаьвнашна тӀехь. Цара шайн турсаш хьалаоьхкира хьан пенашна тӀехь, и хӀума дарца хьан хазалла кхочуш а еш.</verse>
				<verse number="12">Хьан хьал доккха хиларна, Таршаш-гӀалано хьоьгара хӀуманаш оьцура, царна дуьхьал дети а, эчиг а, даш а, гӀели а луш.</verse>
				<verse number="13">Яван а, Тубал а, Машах а мехкаша хьоьца мах бора, леш а, цӀестах йина пхьегӀаш а хьоьгара оьцучу хӀуманна дуьхьал а луш.</verse>
				<verse number="14">Байт-ТогӀармера болчара ахьа юхкуш йолчу хӀуманашна дуьхьал говраш а, дой а, бӀарзанаш а лора.</verse>
				<verse number="15">Дадданан наха хьоьца йохкаэцар лелайора. ХӀордан йистехь дехачу дуккха долчу къаьмнаша хьоьца хийцар леладора, хьан хӀуманашна дуьхьал пийлан кӀомсарш а, Ӏаьржа дечиг а луш.</verse>
				<verse number="16">Хьан дукха дохка хӀума хилар бахьана долуш, иштта хьоьца йохкаэцар лелайора арамхоша а, хьан хӀуманашна дуьхьал карбункул олу мехала тӀулгаш а, цӀен кӀадеш а, тӀехь тӀамарш йолу дуткъа кӀадеш а, маржан-жовхӀарш а, иштта рубинаш а луш.</verse>
				<verse number="17">ЯхӀуд-мохк а, Исраил-мохк а хьоьца мах лелош бара, хьан сурсаташна дуьхьал Минитара кӀа а, сегӀаз а, моз а, даьтта а, хьакхарш а лора цара.</verse>
				<verse number="18">Хьан дукха дохка хӀума хиларна а, хьан хьал доккха хиларна а, Дамасакхо хьоьгара оьцура Хьелбунера чагӀар а, Цахьарера тӀаргӀа а.</verse>
				<verse number="19">Узалара волу Ведан а, Яван а вара хьан хӀуманашна дуьхьал эчигах йина хӀуманаш а, касия а, хаза хьожа йогӀу эрз а луш.</verse>
				<verse number="20">Даддана хьоьца мах лелабора нуьйрашна тӀе туьйсучу юргӀанашца.</verse>
				<verse number="21">Ӏаьрбихоша а, Къедар-махкарчу массо а элаша а хьоьца хийцар дора, хьан хӀуманашна дуьхьал Ӏахарий а, кой а, гезарий а луш.</verse>
				<verse number="22">Шеба-гӀаларчу а, РуӀман-гӀаларчу а совдегарша хьоьца мах лелабора, ахьа дохка деанчу хьолана дуьхьал шайн уггар дика хьакхарш а, деза тӀулгаш а, деши а луш.</verse>
				<verse number="23">ХӀаранера а, Ханейра а, Ӏеданера а, Шебера а, Ашур-махкара а, иштта Килмадера а болчу совдегарша хьоьца мах лелабора.</verse>
				<verse number="24">Цара хьуна еза бедарш а, сийна тӀаргӀа а, тӀехь тӀамарш йолу кӀадеш а, бес-бесара кузаш а, чӀогӀа даьӀна эхангаш а дахьара.</verse>
				<verse number="25">Ахьа духкуш мел дерг Таршаш-гӀаларчу хӀордкеманашца схьакхоьхьуш дара. Хьо киранах дуьзна хинкема санна яра, хӀордана юкъахь нисъелла.</verse>
				<verse number="26">Пийсакаш лелорхоша хьо генна хӀорда юккъе дӀайигнера, ткъа малхбалехьара схьахьоькхуш болчу мохо хьо хи буха яхийтира.</verse>
				<verse number="27">Хьан хьал хи буха гӀур ду, ахьа мах лелош мел дерг хин долахь хир ду. Хьоьца мел хилларш — хинкема дӀадохуьйтуш берш а, цу тӀера хинкеманна даьлла Ӏуьргаш дӀадукъуш берш а, хьан совдегарш а, иштта хьан мел болу тӀемалой а — уьш берриш а хи буха гӀур бу. И хӀума хьо йохочу дийнахь хир ду.</verse>
				<verse number="28">Хьан кемалелорхоша хьоькху маьхьарий бахьана долуш, латтанаш тӀехь мел верг вегор ву.</verse>
				<verse number="29">Пийсакаш лелорхой шайн кеманашна тӀера дӀагӀур бу, хинкема дӀадохуьйтуш берш а, кемалелорхой а хийистехь дӀахӀуьттур бу.</verse>
				<verse number="30">Цара хьуна тӀаьхьа белхар дийр ду, шайн кортош тӀе ченаш а тийсина, чимашкахь а керчаш.</verse>
				<verse number="31">Цара, шайн кортош а даьшна, шайна тӀе сингаттаман духар а дуьйхина, дог доьхна, хьуна белхар дийр ду къаьхьачу бӀаьрхишца.</verse>
				<verse number="32">Боьлхуш, тийжаш, цара хьох лаьцна хӀара йиш дӀалокхур ю: ‹ХӀордана юккъехь узарш деш йолу Цора-гӀала саннарг кхин муьлха яра?</verse>
				<verse number="33">Хьан совдегарша, хӀорда тӀехула а лелаш, дуккха а къаьмнаш Ӏабадора. Хьайн доккхачу хьолах а, алсам долчу хӀуманах а дуьненан паччахьашна ахьа дуккха а хьал а лора.</verse>
				<verse number="34">ХӀинца хьо хӀордо хӀаллакйина, хӀорда буха а яхана, хьан адамаш а, дерриг а хьан хьал а хьоьца хи буха дахана›.</verse>
				<verse number="35">ХӀордан йистехь дехаш долу къаьмнаш инзардевлла хьох, церан паччахьаш а, юьхьсибат хийцалуш, Ӏадийна бегабо.</verse>
				<verse number="36">Кхечу къаьмнех болчу совдегарша гӀайгӀанца шакарш етта. Хьо къемате хӀаллакьхилла яьлла, ткъа кхин цкъа а юха хир а яц’“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="28">
				<verse number="1">Соьга Везачу Элан дош кхечира:</verse>
				<verse number="2">«Адаман кӀант! Цора-гӀалин баьччане дӀаала, Хьалдолчу Эло иштта боху алий: „Хьо чӀогӀа кура ю. Ахьа боху: ‘Со — Дела ву, хӀорда юккъехь Ӏарша тӀехь Ӏаш ву со’. Амма хьо адам ду, Дела вац, хьан Делан хьекъалалла ду моьттуш хьо велахь а.</verse>
				<verse number="3">Хьуна моьтту хьо Даниалачул сов хьекъал долуш ю, къайлаха дерг дерриг а хьайна хуур ду а моьтту хьуна.</verse>
				<verse number="4">Хьайн хьекъалца а, кхетамца а гулдина ахьа хьайн дерриг а хьал а, хьайн хазни чуьра деши а, дети а.</verse>
				<verse number="5">Хьайн доккхачу хьекъалаллица а, айхьа йохкаэцар лелорца а гулдина ахьа хьайн хьал, цундела хьан коьрте куралла йоьссина и хьал бахьана долуш.</verse>
				<verse number="6">Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Хьуна Делан санна хьайн хьекъалалла ду моттар бахьана долуш,</verse>
				<verse number="7">Ас кхечу мехкашкара нах схьабалор бу хьуна дуьхьалбаха, уьш кхечу къаьмнашна юкъахь уггар къиза нах бу. Цара шайн тарраш хьан хазаллина а, хьекъалаллина а дуьхьалдохур ду, цара хьан исбаьхьалла а дӀайоккхур ю.</verse>
				<verse number="8">Цара хьо эхарта чу вохуьйтур ву, хӀордана юккъехь хӀаллаквийр ву хьо.</verse>
				<verse number="9">ТӀаккха эр дуй ахьа хьо воьчарна хьалха: ‹Со — Дела ву›? Хьо хӀаллаквечеран карахь хилча, хьо кхидерш санна долу адам хир ду, Дела хир вац</verse>
				<verse number="10">Хийрачу махкарчу нехан карах лийр ву хьо, акха лела жӀаьла санна. Иза Ас иштта аьлла дела хир ду’. Иштта элира Хьалдолчу Эло“».</verse>
				<verse number="11">Везачу Элан дош кхечира соьга:</verse>
				<verse number="12">«Адаман кӀант! Велха Цора-гӀалин паччахьна, цуьнга дӀа а ала: „ХӀара боху Хьалдолчу Эло: ‘Хьо кхачамаллин кеп яра, хьекъалаллех вуьззина вара, хьо уггар хазаниг а вара.</verse>
				<verse number="13">Хьо Делан Ӏедан-бешахь вара, хьан бедарш тайп-тайпанарчу дезачу тӀулгашца кечйина яра: рубинца а, топазца а, алмазца а, хризолитца а, ониксца а, ясписца а, саппирца а, карбункулца а, изумрудца а. Церан гураш хьуна тӀехь говза а, хаза а деших дина дара. И дерриг а хьо кхоьллинчу дийнахь хьуна кечдина дара.</verse>
				<verse number="14">Хьо къобалдина каруб-малик дара, Ас хьо гӀаролхо санна хӀоттийнера. Хьо иштта Делан безачу лам тӀехь а вара, цӀе санна, лепаш долчу тӀулгашна юкъахь а лелара хьо.</verse>
				<verse number="15">Хьо цӀена вара хьайн некъашкахь хьо кхоьллинчу хенахь дуьйна, хьуна чохь зулам карадаллалц.</verse>
				<verse number="16">Айхьа леладо шуьйрра йохкаэцар бахьана долуш, хьо къизаллех а вуьзна, ахьа хьайх къинош а летийна. Ас хьо боьха хӀума санна, Везачу Элан лома тӀера чукхоьссина. Ас дӀалаьллина хьо лардеш хилла долу каруб-малик, цӀе санна, лепаш долчу тӀулгашна юккъера дӀалаьллина Ас хьо.</verse>
				<verse number="17">Хьан хазалла бахьана долуш куралла йоьссина хьан даг тӀе, хьайн дозалла бахьана долуш хьекъалалла а хӀаллакдина ахьа. И хӀума бахьана долуш Ас хьо лаьттах тоьхна, паччахьашна хьалха хьо юьхьӀаьржачу хӀоттийна Ас.</verse>
				<verse number="18">Ахьа дукхазза а къинош леторна а, ахьа харцахьа йохкаэцар лелорна а, хьайн еза меттигаш ахьа бехйина. Хьуна чуьра цӀе схьаяьккхина Ас, цо хьо дӀа а кхаьллина. Хьо, чим бина, дӀахӀоттийна Ас, хьоьга хьожуш мел волчунна хьалха.</verse>
				<verse number="19">Хьо девзаш мел хилла долу къаьмнаш, инзардевлла, Ӏадийна ду. Хьан чаккхе къемате яра, ткъа хьо кхин цкъа а хир яц’“».</verse>
				<verse number="20">Соьга Везачу Элан дош кхечира:</verse>
				<verse number="21">«Адаман кӀант! ЦӀадан-гӀалина дуьхьал вист а хилий, цунна дуьхьал Соьгара болу хаам бе.</verse>
				<verse number="22">ДӀаала цуьнга, Хьалдолчу Эло хӀара боху алий: „ЦӀадан-гӀала, Со хьуна дуьхьалвер ву. Хьуна чохь Со гӀаравер ву. Ас шайна кхел йинчул тӀаьхьа а, Сайн возалла шайна юкъахь Аса гучуяьккхинчул тӀаьхьа а, хуур ду хьан адамашна, Со Веза Эла вуйла.</verse>
				<verse number="23">Ас хьуна тӀе Ӏожаллин ун а хьажор ду, хьан урамашкахь цӀий а Ӏанадойтур ду. ГӀалара адам царна гонах болчу мостагӀийн карах хӀаллакьхир ду. ТӀаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла.</verse>
				<verse number="24">Исраилан халкъана гонах йолчу а, цунна кхиссарш йинчу а пачхьалкхаша кхин цкъа а, коканийн коьллаша я кӀохцалша санна, лазор яц иза. ТӀаккха хуур ду исраилхошна Со Хьалдолу Эла вуйла“».</verse>
				<verse number="25">Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Шаьш дӀасадаржийна долчу къаьмнашна юкъара Айса Исраилан халкъ схьагулдича, Аса Сайн возалла гойтур ю массо а халкъашна хьалха. ТӀаккха Исраилан халкъан бахархой шайн долахь болчу а, Аса Сайн ялхо волчу Якъубана белла болчу а махкахь Ӏийр бу.</verse>
				<verse number="26">Уьш цу тӀехь цхьанххьара а кхерам боцуш бехар бу, цара цӀенош а дийр ду, кемсийн бошмаш а югӀур ю. Уьш кхерам боцуш Ӏийр бу, царна кхиссарш еш хиллачу, царна гонахарчу массо а къаьмнашна тӀехь Ас кхел йича. ТӀаккха хуур ду царна, Со церан Веза Дела вуйла».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="29">
				<verse number="1">Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа уьтталгӀачу шеран уьтталгӀачу беттан шуьйтталгӀачу дийнахь соьга Везачу Элан дош кхечира:</verse>
				<verse number="2">«Адаман кӀант! Мисар-мехкан паччахь волчу пирӀунна дуьхьал вист а хилий, цунна а, берриг а Мисар-махкана а дуьхьал Соьгара болу хаам бе.</verse>
				<verse number="3">Иштта ала: „Хьалдолчу Эло боху: ‘Мисар-мехкан паччахь волу пирӀун, Со хьуна дуьхьал ву, хьо боккха саьрмик санна ву, хьан Нил-хин гаьннашна юкъахь Ӏуьллуш болу. Ахь боху: ‹ХӀара Нил-хи сан ду, иза аса кхоьллина а ду›.</verse>
				<verse number="4">Амма Аса хьан мочхалех мӀара а тесна, хьан пелагашна тӀе хьан хиш чуьра чӀерий а латийна, хьо цу Нил-хи чуьра схьабоккхур бу, хьан пелагашна тӀелеттачу чӀерашца цхьаьна.</verse>
				<verse number="5">Ас хьо яьссачу аренгахь охьакхуссур бу, хьо а, хьан хиш чуьра берриг а чӀара а. Хьо даьссачу кха тӀе охьабужур бу, цхьаммо а хьуна гӀо а дийр дац. Ас хьо лаьттахь лелачу акхарошний, стигаларчу олхазаршний дӀалур бу, цаьрга баийта.</verse>
				<verse number="6">ТӀаккха хуур ду берриг а Мисар-махкахь бехаш болчарна, Со Веза Эла вуйла. Исраилан халкъо хьоьгара, Мисар-махкара, гӀо лехча, хьо, эрз санна, ледара гӀортор ма яра.</verse>
				<verse number="7">Цара хьо шайн куьйгашца схьалаьцча, хьо бекъабелла дӀабелира, церан ерриг а белшех кӀохцалш а дохуьйтуш. Уьш хьох шайна гӀортор ян хӀиттича, ахьа, каг а белла, церан берриг а букъ лазийра’.</verse>
				<verse number="8">Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху: ‘Ас хьуна тӀе тур хьалаойур ду, хьан адамаш а, дийнаташ а хӀаллак а деш.</verse>
				<verse number="9">Бассалур бу Мисар-мохк, тӀаккха хуур ду мисархошна Со Веза Эла вуйла. ‹ХӀара Нил-хи сан ду, хӀара ас кхоьллина а ду› ахь алар бахьана долуш,</verse>
				<verse number="10">Со хьуна а, хьан хишна а дуьхьалваьлла. Ас бассор бу Мисар-мохк Мигдолара дуьйна Савейнина тӀе кхаччалц а, цигара Хушин дозанна тӀе кхаччалц а.</verse>
				<verse number="11">Мисар-махкахула я адаман, я дийнатан ког а ловзур бац. Шовзткъа шарахь цигахь цхьа а стаг хир вац вехаш.</verse>
				<verse number="12">Даьссачу латтанашна юкъахь уггар баьсса мохк бина дӀахӀоттор бу Ас Мисар-мохк. Шовзткъа шарахь цуьнан гӀаланаш йохийначу гӀаланашна юкъахь хир ю. Аса дӀасабаржор бу мисархой кхечу къаьмнашкахула а, уьш кхечу мехкашкахула дӀасакхуьссур а бу’.</verse>
				<verse number="13">Хьалдолчу Эло иштта боху: ‘Шовзткъа шо дӀадаьлча, Ас схьагулбийр бу мисархой кхечу къаьмнашна юкъахь дӀасабаржийначуьра.</verse>
				<verse number="14">Ас юхабалор бу мисархойн йийсархой, уьш схьабевлла долчу ПатӀрусан лаьтта тӀе схьабалор бу Ас уьш, амма церан пачхьалкх кхин чӀагӀъелла дӀахӀуттур яц.</verse>
				<verse number="15">Иза кхечу пачхьалкхашна юкъахь уггар гӀийла пачхьалкх хилла лаьттар ю, кхин цкъа а кхечу пачхьалкхел лакха а ер яц. Ас кӀеззиг бийр бу уьш, кхин цкъа а кхечу къаьмнашна тӀехь куьйгалла а деш дӀа ца хӀиттийта.</verse>
				<verse number="16">Исраил-мохк кхин цкъа а хир бац Мисар-махках бозуш. Цунна дагахь лаьттар ду ша Деле гӀо а ца доьхуш, Мисар-махке гӀо а дехна, латийна долу къинош. ТӀаккха хуур ду царна Со Хьалдолу Эла вуйла’“».</verse>
				<verse number="17">Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа ткъе ворхӀалгӀачу шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь соьга Везачу Элан дош кхечира:</verse>
				<verse number="18">«Адаман кӀант! Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара шен эскар гӀелдина, Цора-гӀалина дуьхьал цаьрга тӀом а бойтуш. Массо а тӀемалойн месаш тилла дӀаевлла, церан белшаш лахъелла, амма царна хӀумма а ца делла цара бинчу балхана дуьхьал».</verse>
				<verse number="19">Цундела Хьалдолчу Эло боху: «Ас Мисар-махкара латтанаш Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецарна дӀалур ду, цуьнга мисархойн лаьтта тӀехь талораш а дайтина, церан бахам шен тӀемалошна, алапа санна, дӀабалийта.</verse>
				<verse number="20">Ас царна мисархойн латта цара бинчу балхана дуьхьал совгӀатна дӀалуш ду, хӀунда аьлча цара Сан дуьхьа бина и болх». Иштта элира Хьалдолчу Эло.</verse>
				<verse number="21">«Цу дийнахь Ас Исраилан халкъана цуьнан ницкъ юхаберзор бу. Ткъа хьо, Яхьазкхиал, Ас цаьрга маьрша вистхуьлуьйтур ву. ТӀаккха царна хуур ду Со Веза Эла вуйла».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="30">
				<verse number="1">Соьга Везачу Элан дош кхечира:</verse>
				<verse number="2">«Адаман кӀант! Соьгара болу хаам а беш, дӀаала: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Тийжа а тийжаш, ала: ‹Маржа-яӀ оцу дийнан!›</verse>
				<verse number="3">Иза уллохь ду, Везачу Элан де. Кхоьлина хир ду и халкъашна гӀайгӀане долу де.</verse>
				<verse number="4">Мисар-махкана тур дуьхьал дер ду. Цуьнан адам хӀаллакдан доладелча а, цуьнан бахам схьабаьккхича а, Мисар-мохк шен бух тӀе кхаччалц шайна йохийна гича а, Хушан халкъ, кхераделла, Ӏадийна хир ду.</verse>
				<verse number="5">Хуша а, ПӀатӀа а, Луда а мехкийн халкъаш а, Хуба-мохк а, дерриг а эделла долу халкъ а, иштта Дала ваӀданца беллачу махкара бахархой а туьро хӀаллакбийр бу’.</verse>
				<verse number="6">Иштта боху Везачу Эло: ‘Мисар-мехкан гӀортораш хӀаллакьхир ю, южур ю цуьнан сийлалла а, дӀадер ду цуьнан ницкъ болуш хилар а, цуьнан дозалла а, Мигдолана тӀера Савейна тӀе кхаччалц массо а туьро вожор ву’. Иштта боху Хьалдолчу Эло.</verse>
				<verse number="7">‘Бассийначу мехкашна юкъахь а иза уггар а бассийнарг хир бу, яссийначу гӀаланашна юкъахь а уггар а яссийнарш хир ю цуьнан гӀаланаш.</verse>
				<verse number="8">Со Веза Эла вуйла хуур ду царна, Ас Мисар-махкана тӀе цӀе а хьажийна, цуьнан гӀортораш хӀаллакьхиллачул тӀаьхьа.</verse>
				<verse number="9">Цу дийнахь хинкеманашца Соьгара геланчаш гӀур бу, шена кхерам бац бохуш, Ӏаш долу Хуша-къам кхеро. Мисар-махкана таӀзар дечу оцу дийнахь уьш кхерарна Ӏадийна хир бу. И де билггал тӀекхочуш ду!’</verse>
				<verse number="10">Хьалдолчу Эло иштта боху: ‘Ас Бавелан паччахье Набухди-Нецаре Мисар-мехкан тобанаш хӀаллакйойтур ю.</verse>
				<verse number="11">Иза ша а, кхечу къаьмнашна юкъара уггар а къиза долу цуьнан эскар а Ас Мисар-махкана тӀе хьажор ду, и латта хӀаллакдайтархьама. Цара шайн тарраш хьала а даьхна, дерриг а латта декъех хьаладузур ду.</verse>
				<verse number="12">Ас Нил-хин гаьннаш а дакъор ду, ткъа латта къизачу нахана дӀа а духкур ду, кхечу махкарчу нехан карахула Ас дассор ду и латта. Иза Ас боху, Везачу Эло’.</verse>
				<verse number="13">Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ас цӀуш а бохор бу, Нуп-гӀалара харцделанаш а хӀаллакбийр бу. Мисар-махкахь кхин хир вац куьйгалхо. Ас кхерам тосур бу Мисар-махкахь бехаш болчеран даг чу.</verse>
				<verse number="14">Ас ПатӀрус-кӀошт яссор ю, ЦоӀан-гӀалина тӀе цӀе хьажор ю, ткъа Ну-гӀалина кхел йийр ю.</verse>
				<verse number="15">Ас Сайн оьгӀазалла Мисар-мехкан Син цӀе йолчу чӀагӀонна тӀе йоссор ю, Ну-гӀалахь дерриг адам а хӀаллакдийр ду.</verse>
				<verse number="16">Ас Мисар-махкана тӀе цӀе хьажор ю, ткъа Син лазаршка хьийзайойтур ю, Ну-гӀала а хӀаллакьхир ю, дийнан юккъехь Нуп-гӀалина тӀелетар бу мостагӀий.</verse>
				<verse number="17">Ана-гӀалара а, ПӀи-Басатара а кегий нах туьро хӀаллакбийр бу, ткъа тӀаьхьабиснарш йийсаре дӀабуьгур бу.</verse>
				<verse number="18">Тахьпанхьас-гӀалахь де кхулур ду, Ас цигахь Мисар-мехкан дукъ кагдинчул тӀаьхьа, цигахь дӀабер бу цуьнан кура ницкъ а. Мархаш йогӀур ю Мисар-махкана тӀе, ткъа цуьнан гӀаланийн бахархой йийсаре гӀур бу.</verse>
				<verse number="19">Иштта кхел йийр ю Ас Мисар-махкана, тӀаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла’“».</verse>
				<verse number="20">Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа цхьайтталгӀачу шеран хьалхарчу беттан ворхӀалгӀачу дийнахь соьга Везачу Элан дош кхечира:</verse>
				<verse number="21">«Адаман кӀант! Ас Мисар-мехкан паччахь волчу пирӀунан куьг кагдина. Иза цхьаммо а, лоьралла а деш, дӀа а ца дихкина, цуьнгахь тур хьалаайа ницкъ хилийтархьама».</verse>
				<verse number="22">Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: «Со дуьхьал ву Мисар-мехкан паччахь волчу пирӀунна. Ас ший а куьг кагдийр ду цуьнан, кагдинарг а, кагдаза дерг а, Ас дожор ду цуьнан карара тур.</verse>
				<verse number="23">Аса мисархой кхечу къаьмнашкахула дӀасабаржор а бу, уьш кхечу мехкашкахула дӀасакхуьссур а бу.</verse>
				<verse number="24">Ткъа Бавелан паччахьан куьйгаш Ас чӀагӀдийр ду, цуьнан кара Сайн тур а лур ду, ткъа пирӀунан куьйгаш Ас кегдийр ду. Иза цунна хьалха, валлал чӀогӀа лазийнарг санна, узарш деш хир ву.</verse>
				<verse number="25">Ас Бавелан паччахьан куьйгаш чӀагӀдийр ду, ткъа пирӀунан куьйгаш гӀорасиза охьагӀур ду. Ас Сайн тур Бавелан паччахьан кара дӀаделча, ткъа цо иза Мисар-махкана тӀе хьалаайича, царна хуур ду, Со Веза Эла вуйла.</verse>
				<verse number="26">Аса мисархой кхечу къаьмнашкахула дӀасабаржор а бу, уьш кхечу мехкашкахула дӀасакхуьссур а бу. ТӀаккха хуур ду царна Со Веза Эла вуйла».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="31">
				<verse number="1">Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа цхьайтталгӀачу шеран кхоалгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь соьга Везачу Элан дош кхечира:</verse>
				<verse number="2">«Адаман кӀант! Мисархойн паччахь волчу пирӀуне а, дерриг а цуьнан халкъе а дӀаала: „Хьайн сийлахь хиларца хьо хьаьнца нисво ахьа?</verse>
				<verse number="3">Хьажал Ливанун-ломара баганан дитт санна болчу Ашур-махке, шена тӀехь хаза гаьннаш а долуш, ӀиндагӀ луш гӀа а долуш болчу. Цуьнан бохь мархашна юкъахь бара.</verse>
				<verse number="4">Хино и дитт кхиадора, бухарчу хиша иза лакхадаьккхира. Уллохула дӀаоьхуш долу хин татолаш гонах долчу дитташна тӀе дӀаоьхура.</verse>
				<verse number="5">Вукху диттел а лекха дара иза, шена тӀехь деха гаьннаш а долуш, хӀунда аьлча цунна тӀедогӀуш кхоччуш дукха хи дара.</verse>
				<verse number="6">Стигаларчу олхазарша цуьнан гаьннашна юкъахь шайн бенаш дора, лаьттарчу акхароша цуьнан гаьннашна кӀел шайн кӀорнеш йора. Дуьненара сийлахь къаьмнаш цуьнан ӀиндагӀехь дехаш дара.</verse>
				<verse number="7">Лекха а долуш, хаза дара и дитт, шена тӀехь деха гаьннаш а долуш, цуьнан орамаш а хих Ӏаьбна дара.</verse>
				<verse number="8">Делан бешахь долу баганан дитт цуьнца дуста ца лора. Зоьзан дитташ цуьнан зуьгалгех тар ца лора, пхонан дитташ цуьнан гаьннашца нис ца лора. Делан бешахь долу цхьа а дитт цуьнан хазаллица дуста ца лора.</verse>
				<verse number="9">Дуккха а гаьннаш а делла, Аса иза хаздинера, цундела Ӏеданера массо а дитташ, Делан бешахь долу массо а дитташ цунах хьоьгуш дара“».</verse>
				<verse number="10">Цундела Хьалдолчу Эло иштта элира: «Хьо, стоммачу гаьннашна тӀехула хьала а баьлла, иштта лакхабаларна а, хьо сийлахь хиларна хьан дог курадаларна а,</verse>
				<verse number="11">Ас и дитт къаьмнийн баьччанан кара дӀаделира, цуьнга, цо лелийначу харцонашка хьаьжжина, цунна хьакъ дерг дайтархьама. Ас Сайн бешара дӀадаьккхина иза.</verse>
				<verse number="12">Уггаре къизачу кхечу къаьмнаша иза, хада а дина, дӀатесира. Цуьнан гаьннаш лаьмнаш тӀе а, тогӀеш тӀе а охьаэгна. Кегдина долу цуьнан кегий гаьннаш массо а боьранашна чуэгнера, дерриг а къаьмнаш, иза ша долчохь а дитина, цуьнан ӀиндагӀера дӀадаханера.</verse>
				<verse number="13">Дамардарц хилла Ӏуьллучу цу дитта тӀехь стигалара тайп-тайпана олхазарш дара, иштта цуьнан гаьннаш юкъахь лелаш хьуьнхара акхарой а яра.</verse>
				<verse number="14">Иза дина, дика хи молуш долу цхьа а дитт, ша доккха хилча, кура ца далийта а, иза, шен лакхалла бахьана долуш, вукху диттийн гаьннашна юкъара хьала а даьлла, мархашна тӀекхача ца гӀертийта а. ХӀунда аьлча, уьш массо а, кхидолу адамаш санна, Ӏожалле дӀахьажийна бу, уьш а, вуьш адамаш санна, белла нах дӀабохуьйтучу метте дӀабохуьйтур бу».</verse>
				<verse number="15">Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Иза эхарте кхаьчначу дийнахь, Ас цунна тезет хӀоттадайтира. Иза бахьана долуш Аса бухара хи а дӀалакъийра, цунна тӀедогӀу хиш а совцийра, ткъа даккхий хиш кхин дӀа а ца дахийтира. Ливанун-мохк а, гӀайгӀане бина, дӀахӀоттийра Ас, ткъа дерриг а дитташ дара маргӀалдулуш.</verse>
				<verse number="16">И дитт охьадужуш хезна долу къаьмнаш, кхерадаларна, дегадайтира Аса, Ас иза, эхарте дӀабаханчу вукхарна тӀаьхьа, бух боцучу Ӏин чу дӀахьажийча. ТӀаккха хӀинцале а лаьттан буха даханчу Ӏеданера массо а диттийн а, Ливанун-махкара уггар дика а, беркате а долчу, хи муьйлучу диттийн а дог Ӏебира оцунах.</verse>
				<verse number="17">Уьш цуьнца цхьаьна эхарте дӀакхаьчна. ХӀинца уьш туьро хӀаллакбиначарах дӀакхетта. И дитташ, цу лекхачу диттан ӀиндагӀехь, вукху къаьмнашца цхьаьна дехаш хиллера.</verse>
				<verse number="18">Иштта, Ӏеданерачу муьлхачу диттан нисдала йиш яра хьоьца, хьан сийлаллица а, лакхаллица а? Амма хӀинца, вукху дитташца нийсса, хьо эхарте дӀахьажийна, хьо сунтбаза болчаьрца а, иштта тӀемашкахь хӀаллакбина болчаьрца а цхьаьна Ӏуьллур ду. Иза хир ду пирӀунна а, цуьнан дерриг а халкъана а». Иштта боху Хьалдолчу Эло.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="32">
				<verse number="1">Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа шуьйтталгӀачу шеран шуьйтталгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь Везачу Элан дош кхечира соьга:</verse>
				<verse number="2">«Адаман кӀант! ХӀара тийжам Мисар-мехкан паччахь волчу пирӀунах лаций дӀаала: „Хьо халкъашна юкъахь къона лом санна хета, амма билггал аьлча, хӀорда чуьра саьрмик санна ву хьо! Хьайн хишна чохь хьайн мерӀуьргашца синош доху ахь, хьайн когашца хи а даржош, иштта и хи дӀаса а детташ“».</verse>
				<verse number="3">Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Дуккха а халкъашна а гуш, Ас хьуна тӀе Сайн бой тосур ю, ткъа цу адамаша хьо Сан бойнаца хьалабоккхур бу.</verse>
				<verse number="4">Ас хьо лаьтта тӀе охьатосур а бу, ткъа аренгахь хьо дӀа а тосур бу. ТӀаккха хьуна тӀе стигалара дерриге а олхазарш а хуьйшур ду, ерриге а лаьттара акхарой а хир ю шаьш юззалц хьо бууш.</verse>
				<verse number="5">Ас хьан жижиг лаьмнашкахула дӀасакхуьссур ду, тогӀеш хьан докъах хьалаюзур ю.</verse>
				<verse number="6">Ас хьо лелла меттигаш, лаьмнаш тӀе кхаччалц, цӀийх хьалаюзур ю, цу цӀийно дерриг а хершнаш хьаладузур ду.</verse>
				<verse number="7">Хьо дӀабайича, Ас стигалш а дӀакъовлур ю, седарчий а кхолуьйтур ду, мархашца малх а дӀакъовлур бу, батто а шен серло лур яц.</verse>
				<verse number="8">Стигалара массо а серло луш йолу хӀума Ас дӀакъовлур ю, тӀаккха дерриг а хьан лаьтта тӀехь бода хӀуттур бу». Иштта боху Хьалдолчу Эло.</verse>
				<verse number="9">«Дуккха а долчу халкъийн дегнаш гӀайгӀане хилла дӀахӀуьттур ду, Ас хьох дисина дакъош кхечу къаьмнашна юкъахь дӀасадаьхьча а, хьуна ца девзачу мехкашка уьш дӀадаьхьча а.</verse>
				<verse number="10">Ас дуккха а халкъаш Ӏадор ду, церан паччахьаш чӀогӀа кхералур бу, Ас шайна хьалха Сайн тур ластийча. Хьо боьжначу дийнахь берриг а паччахьаш, кхоьруш, бегош хир бу, царах хӀорра а, шайн дахар бахьана долуш, кхоьруш хир бу».</verse>
				<verse number="11">ХӀунда аьлча Хьалдолчу Эло иштта боху: «Бавелхойн паччахьан тур хьуна дуьхьал доккхур ду.</verse>
				<verse number="12">Цуьнан эскархойн таррашца Ас хьоьца болу нах хӀаллакбойтур бу. И эскархой къаьмнийн уггаре а къизачу халкъах схьабевлла бу, цара Мисар-мехкан куралла йойур а ю, цуьнан мел долу халкъ хӀаллак а дийр ду.</verse>
				<verse number="13">Ас цуьнан мел долчу хишна уллора дерриг а даьхни хӀаллакдийр ду, адамийн когаша а, даьхнийн бергаша а кхин бехдийр дац и хиш.</verse>
				<verse number="14">Ас синтем лур бу Мисар-мехкан хишна, тӀаккха уьш, даьтта санна, меллаша дӀаоьхур ду». Иштта боху Хьалдолчу Эло.</verse>
				<verse number="15">«Мисар-мохк Ас бассор бу, цуьнан массо а хӀума хӀаллакьхир ду. Цу махкахь мел вехаш верг Ас охьатоьхча, царна хуур ду, Со Веза Эла вуйла.</verse>
				<verse number="16">Иштта бу и бен болу тийжам. Кхечу къаьмнийн зудабераша бийр бу иза. Мисар-махках а, цигарчу халкъах а лаьцна бийр бу цара и тийжам». Иштта боху Хьалдолчу Эло.</verse>
				<verse number="17">Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа шуьйтталгӀачу шеран тӀаьххьарчу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь соьга Везачу Элан дош кхечира:</verse>
				<verse number="18">«Адаман кӀант! Белхар де Мисар-махкара адамаш бахьана долуш. Ахьа сийлахьчу къаьмнийн зудабераш а, и халкъ а эхарте дӀадига, коше дӀабаханчаьрца цхьаьна хилийтархьама.</verse>
				<verse number="19">ДӀаала цаьрга: „Шу хьанал гӀолехь ду? ДӀагӀо цига, сунтбаза болчарна уллохь охьадийша“.</verse>
				<verse number="20">Мисар-мохк тӀамехь байъинчарна юкъахь Ӏуьллур бу. Шен мел долчу халкъаца цхьаьна иза дӀадигна хуьлийла.</verse>
				<verse number="21">Оцу эхартан юккъера турпалхойх уггар доьналла долуш болчара Мисар-махкана а, цуьнан бартхошна а эр ду: „Сунтбаза болу уьш, туьро хӀаллакбина, охьа а бехкина, Ӏохкуш бу цигахь“.</verse>
				<verse number="22">Цу меттехь Ашур-мохк а бу шен мел хиллачу эскарца. Паччахьна гонах церан кешнаш ду, уьш берриш а туьро хӀаллакбина.</verse>
				<verse number="23">Церан кешнаш эхартехь уггар а кӀорггехь ду, Ашур-мехкан паччахьан къуббанна гонах. Уьш берриш а туьро хӀаллакбина, дийна болчу хенахь цара адамаш кхерамца Ӏадийнехь а.</verse>
				<verse number="24">Цигахь Ӏейлам а ву, ткъа цуьнан эскар паччахьан къуббанна гонах а ду. Цуьнан берриг а тӀемалой хӀаллакьхилла тӀамехь. Уьш берриш а сунтбаза эхарте а кхаьчна, шаьш дийна болчу хенахь цара дерриг а адамаш кхерамца Ӏадийнехь а. Цара ерриг а шайн юьхьӀаьржо лаьтта буха богӀучаьрца цхьаьна яхьа.</verse>
				<verse number="25">ХӀаллакбина Ӏохкучарна юкъахь Ӏейламана а, цуьнан эскарна а мотт биллинера. Царна гонах Ӏохкуш хӀаллакбинарш бара, уьш берриш а сунтбаза а бара, туьро хӀаллакбина а бара. Шаьш дийна болчу хенахь цара дерриг а адамаш кхерамца Ӏадийнехь а, хӀинца цара ерриг а шайн юьхьӀаьржо лаьтта буха богӀучаьрца цхьаьна яхьа. ХӀаллакбиначарна юкъахь охьабехкина бу уьш.</verse>
				<verse number="26">Цигахь Машах а, Тубал а ву шайн эскаршца, царна гонах сунтбаза болчеран кешнаш а ду. Уьш берриш а туьро хӀаллакбина а бу, хӀунда аьлча цара дийна болчу хенахь халкъашна юкъахь кхерам латтабора.</verse>
				<verse number="27">Уьш байъинчу ширачу заманахь лаьтта бухахь Ӏохкуш бац. ХӀорш шайн герзаца дӀабоьхкина, церан тарраш церан гӀовлангахь Ӏохкуш ду, ткъа церан турсаш церан даьӀахкашна тӀехь дисина. Цара шаьш дийна болчу хенахь массо а адамаш кхерамца Ӏадийнера.</verse>
				<verse number="28">Ткъа хьо а, Мисар-мохк, хӀаллакбина хир бу, хьо а сунтбаза болчаьрца а, иштта туьро хӀаллакбинчаьрца а цхьаьна Ӏуьллур бу.</verse>
				<verse number="29">Цигахь Эдом-мохк а, цуьнан паччахьаш а, элий а бу. Уьш берриш а майра тӀемалой бара, ткъа хӀинца туьро хӀаллакбинчаьрца цхьаьна охьабехкина бу. Уьш сунтбаза болчу лаьтта буха баханчаьрца цхьаьна Ӏохкуш бу.</verse>
				<verse number="30">Цигахь къилбаседехьа хилла болу элий а, иштта адамашна кхерамаш туьйсуш болу цӀаданхойн тӀемалой а бу. Туьро хӀаллакбиначаьрца цхьаьна уьш сунтбаза Ӏохкуш бу, шайн юьхьӀаьржо лаьтта буха боьлхучаьрца цхьаьна дӀаяхьа.</verse>
				<verse number="31">ХӀаллак а хилла, эхарте бахана болу нах пирӀунна дӀагича, цунна синхьаам хир бу и хӀаллакбина нах бахьана долуш, хӀунда аьлча пирӀун а, цуьнан эскар а туьро хӀаллакбина хир бу». Иштта боху Хьалдолчу Эло.</verse>
				<verse number="32">«ПирӀуно, ша дийна волчу хенахь, адамаш, кхера а деш, Ӏададора, амма иза а, цуьнан эскар а туьро хӀаллакбинчу сунтбаза болчаьрца дӀабоьхкина хир бу». Иштта боху Хьалдолчу Эло.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="33">
				<verse number="1">Соьга Везачу Элан дош кхечира:</verse>
				<verse number="2">«Адаман кӀант! Хьайн къомах болчаьрга дӀаала: „Нагахь санна Аса цхьана махкана тӀе тӀом хьажабахь, наха шайна юкъара цхьа гӀаролхо харжа мега.</verse>
				<verse number="3">Цу гӀаролхочо, шена мостагӀий гича, коьман маӀа а лекхна, шен нахе орца доккхур ду.</verse>
				<verse number="4">Коьман маӀан аз хезначул тӀаьхьа а, цхьаммо а иза тергал ца дахь, цул тӀаьхьа и стаг туьро хӀаллак а вахь, цуьнан цӀий цунна шена тӀехь хир ду.</verse>
				<verse number="5">Коьман маӀан аз хезча, оцу стага цуьнан тидам ца барна, цуьнан цӀий цунна шена тӀехь хир ду. Шен хеннахь цо тидам бинехьара, шен дахар кӀелхьардоккхур дара цо.</verse>
				<verse number="6">Нагахь санна цу гӀаролхочо, тӀебогӀу мостагӀий шена гича, адамашка дӀахьедархьама коьман маӀа а ца лакхахь, тӀебаьхкинчу мостагӀаша царах цхьаъ хӀаллак а вахь, иза шен къинош бахьана долуш вийна хир ву, амма Аса оцу гӀаролхочуьнга жоп доьхур ду, и валар бахьана долуш“.</verse>
				<verse number="7">Ткъа хьох, адаман кӀант, Исраилан халкъан гӀаролхо вина Аса. Соьгара болу хаам хьуна мосазза хеза, Сан цӀарах цаьрга дӀахьедан деза ахьа.</verse>
				<verse number="8">Ас зуламечу стаге: „ХӀей, зуламхо! Хьо билггал лийр ву!“ алахь, ахьа цуьнга, харц некъа тӀера дӀавала аьлла, дӀа ца хьедахь, и стаг шен къинош бахьана долуш лийр ву, ткъа цуьнан цӀийх Аса хьоьга жоп доьхур ду.</verse>
				<verse number="9">Амма ахьа зуламечу стаге, шен некъа тӀера дӀавала аьлла, дӀахьедар динчул тӀаьхьа, иза кхин дӀа а иштта лелахь, иза шен къинош бахьана долуш лийр ву, ткъа ахьа хьайн дахар кӀелхьардоккхур ду».</verse>
				<verse number="10">«Ткъа ахьа, адаман кӀант, дӀаала исраилхошка: „Аша иштта боху: ‘Тхан вон лелар а, тхан къинош а тхуна тӀехь ду. Тхо телхаш ду уьш бахьана долуш. Тхо муха даха деза те?’“</verse>
				<verse number="11">Ахьа цаьрга ала деза: „Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Аса, — боху Хьалдолчу Эло, — зуламечу нахана Ӏожалла тӀеярах Суна там ца хуьлу. Мелхо а, Суна лаьара уьш, шайн зуламечу некъашкара дӀа а бевлла, бехийла. Юхадерза! Юхадерзахьа хьайн вочу некъа тӀера! ХӀунда хуьлу хьо хӀаллак, Исраилан халкъ?“</verse>
				<verse number="12">Ахьа, адаман кӀант, дӀаала хьайн къомах болчаьрга: „Бакъахьа леларг Далла дуьхьалволучу дийнахь ша динчу бакъахьарчу гӀуллакхаша иза кӀелхьарвоккхур вац, ткъа зуламхо ша лелийначу зуламечу гӀуллакхех дӀавирзинчу дийнахь цо лелийначо иза галволуьйтур вац. Нагахь санна бакъахьара лелачо къинош летадахь, цунна, хьалха ша дина бакъахьара гӀуллакхаш бахьана долуш, кхидӀа ваха пурба лур дац“.</verse>
				<verse number="13">Нагахь Аса бакъахьа лелачу стаге иза вехар ву алахь, амма цо, ша хьалха дина дикачу гӀуллакхашка а хьоьжуш, зулам дахь, Суна дагадогӀур дац цо хьалха мел дина дика гӀуллакхаш. Иза лийр ву, ша тӀаьхьа дина долу зулам бахьана долуш.</verse>
				<verse number="14">Аса зуламечу стаге дӀахьедан тарло: „Хьо лийр ву“, — аьлла. ТӀаккха иза, шен къиношна тӀера дӀа а вирзина, бакъдерг а, нийсо а лело волавала тарло.</verse>
				<verse number="15">Цо ша юхалург ахча лучу хенахь закъалтана эцнарг а дӀалахь, ша хьалха лачкъийнарг а юхалахь, дахар луш долчу парзашца а лелахь, зулам а ца деш, и стаг вехар ву, лийр а вац.</verse>
				<verse number="16">Цо хьалха лелийна долу вонаш Ас дагадоуьйтур дац. Цо бакъдерг а, нийсо а лелийна, цундела иза билггал вехар ву.</verse>
				<verse number="17">Ткъа хьан къомах болчара боху: „Везачу Элан лелар нийса дац“, церан шайн лелар нийса доццушехь.</verse>
				<verse number="18">Нагахь санна бакъахьа леларг, шен нийсачу некъа тӀера а ваьлла, зулам дан волалахь, и хӀума бахьана долуш иза лийр ву.</verse>
				<verse number="19">Ткъа зуламениг, ша динчу вонаш тӀера дӀа а вирзина, бакъдерг а, нийсо а лелош волалахь, и бахьана долуш иза вехар ву.</verse>
				<verse number="20">Ткъа аша боху: „Везачу Элан лелар нийса дац“. Исраилан халкъ, хьох хӀоранна а, цо лелийначуьнга хьаьжжина, кхел йийр ю Ас».</verse>
				<verse number="21">Тхо Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа уьтталгӀачу шеран уьтталгӀачу беттан пхоьалгӀачу дийнахь со волчу Ярушалаймера кӀелхьарваьлла волу цхьа стаг кхечира. Цо элира: «ГӀала йоьжна!»</verse>
				<verse number="22">Амма и стаг со волчу кхачале, суьйранна, суна тӀе Везачу Элан куьг хӀоьттира. Ӏуьйранна, и стаг со волчу схьакхачале, Цо сан бага дӀайиллира. Иштта, сан бага дӀайиллича, со вистхила йиш йолуш хилира.</verse>
				<verse number="23">Соьга Везачу Элан дош кхечира:</verse>
				<verse number="24">«Адаман кӀант! Исраил-мехкан дакъазадаьккхинчу лаьтта тӀехь Ӏаш болчара боху: „ИбрахӀим ша цхьаъ вара Дала цунна хӀара латта дӀалучу хенахь. Ткъа хӀинца тхо дуккха а ду, цундела хӀара латта тхуна, тхайн долахь долуш санна, схьаделла ду“.</verse>
				<verse number="25">Цундела дӀаала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Аша жижиг цӀийца цхьаьна доу, шу шайн цӀушка сатийсамца хьоьжу, аша адамаш хӀаллакдо. ХӀара латта шун долахь муха хир ду?</verse>
				<verse number="26">Шу шайн туьрах тешна ду, аша дегаза вонаш до, вовшийн зударшца эвхьазадуьйлу. ХӀара латта шун долахь муха хир ду?’“</verse>
				<verse number="27">Ахьа дӀаала цаьрга: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Аса, цу йохийначу гӀалин саьлнаш юкъахь Ӏаш болу нах туьро хӀаллакбина хир ма бу. Аренгахь нисбелларш Ас акхарошна дӀалур бу, цаьрга байъийта, ткъа чӀагӀонаш чохь а, хьехаш чохь а дӀалевчкъинарш Ӏожаллин уьно хӀаллакбийр бу.</verse>
				<verse number="28">Ас латта дассор ду, цу махко дозалла деш мел хилла долу хӀума хӀаллакьхир ду. Исраил-махкара лаьмнаш а дассалур ду, кхузахула тӀехволуш гуш стаг а хир вац.</verse>
				<verse number="29">Цу наха дина дегаза хӀуманаш бахьана долуш, Ас хӀара латта дассийна дӀахӀоттийча, тӀаккха хуур ду царна Со Веза Эла вуйла’“.</verse>
				<verse number="30">Ткъа хӀинца, адаман кӀант, хьох лаьцна эр ду Ас. Хьан къомах долу адамаш, гӀалин пенашна уллохь а, цӀийнан неӀаршна уллохь а гул а делла, хьох лаьцна къамелаш деш ду. Цара вовшашка боху: „Дуьйло, хьовса, Везачу Элера хӀун дош деана“.</verse>
				<verse number="31">Уьш хьо волчу схьабогӀу, халкъан гуламе богӀуш санна. Сан халкъ хьуна хьалха охьахоу, цо хьоьга ла а дугӀу, амма цо ахьа бохург кхочуш ца до. Цара хьуна тамехь долу къамелаш до, амма церан дегнаша адам ледарца шайна с лоху.</verse>
				<verse number="32">Церан бӀаьргашкахь хьо лаамийн эшарш локхуш волу а, хаза аз долу а илланча ву, цу тӀе говза дечиг-пондар локхург а ву. Цара хьан дешнашка ладугӀу, амма уьш кхочуш ца до.</verse>
				<verse number="33">Амма ахьа бохуш дерг кхочушхилча, — ткъа иза-м билггал кхочушхир ду — тӀаккха цу нахана хуур ду, шайна юкъахь лелларг пайхамар хиллийла».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="34">
				<verse number="1">Соьга Везачу Элан дош кхечира:</verse>
				<verse number="2">«Адаман кӀант, исраилхойн Ӏушна дуьхьал Соьгара болу хаам бе. Соьгара болу хаам а беш, дӀаала цаьрга: „Къа ду шун, исраилхойн Ӏуй! Шу шайн жа дажо дезаш дац те? Амма аша шаьш-шайн бен ца дажадо!</verse>
				<verse number="3">Аша уьстагӀийн шура молу, церан тӀергӀах йина хӀуманаш шайна тӀе а юху, иштта аша дерстинчу уьстагӀашна урс хьокху, амма уьш дажа ца до.</verse>
				<verse number="4">Аш гӀийланаш чӀагӀ ца бора, цомгуш болчу уьстагӀна дарба а ца дора, церан чевнаш дӀа а ца йоьхкура. Жена юкъара дӀакъаьстина уьстагӀий аша юха ца дерзадора, тиладелларш аша схьа ца лохура. Царна тӀехь куьйгалла аша ницкъаца а, къизаллица а дора.</verse>
				<verse number="5">Шайна тӀехь Ӏу воцу дела, и уьстагӀий дӀасадаьржира, цул тӀаьхьа уьш хӀора экханан ижу хилла дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="6">Сан уьстагӀий лаьмнашкахула, лекхачу гунашкахула дуьйладелла лелаш ду. Дерриг а лаьтта тӀехула уьш дӀасадаржийна ду, ткъа цхьаммо а уьш леха а ца лоьху, уьш каро а ца гӀерта“.</verse>
				<verse number="7">Цундела, Ӏуй, ладогӀа Везачу Элан даше:</verse>
				<verse number="8">„Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Ас, и Сан уьстагӀий акхаройн ижу хилийта Ӏуналла ца деш аша дитарна а, уьш, тӀехь Ӏу а воцуш, хӀора аренгарчу экханан даар хилла дӀахӀиттарна а, ткъа Сан Ӏуша уьш схьа ца лахарна а, цара уьш, дажоран метта, шаьш дежаш леларна а,</verse>
				<verse number="9">и дерриг а хӀума бахьана долуш, Ӏуй, Везачу Элан даше ладогӀа!</verse>
				<verse number="10">Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Со цу Ӏушна дуьхьалваьлла, Ас уьш Сайн жа бахьана долуш жоьпе озор бу. Ас уьш Сайн жа дажочуьра совцор бу. Цара шаьш кхидӀа иза дажор дац. Ас Сайн жа церан мочхалех кӀелхьардоккхур ду. Сан уьстагӀий церан даар хилла кхин дӀахӀуьттур дац’“».</verse>
				<verse number="11">Хьалдолчу Эло боху: «Ас-Айса Сайн уьстагӀий схьа а лохур ду, Со цаьрга хьожур а ву.</verse>
				<verse number="12">Шен дӀасадаржийна долчу уьстагӀашка Ӏу ма-хьажжара, хьожур ву Со цаьрга. Ас уьш паргӀатдохур ду Ӏаьржачу кхоьлинчу дийнахь уьш дӀасадаржийна хиллачу меттигашкара.</verse>
				<verse number="13">Ас къаьмнашна юкъара а, мехкашкара а схьа а гулдина, шайн лаьтта тӀе схьадалор ду уьш. Исраил-мехкан лаьмнашкахь а, хин Ӏоврашна уллохь а, адамаш лаьттахь массо а дехаш йолчу меттигашкахь Ӏалашбийр бу Ас уьш.</verse>
				<verse number="14">Аса дикачу бай тӀехь Сайн уьстагӀий дажор ду, ткъа Исраил-мехкан лекхачу лаьмнашкахь царна дежийлаш хир ю. Цигахь уьш дикачу дежийлашкахь садоӀуш хир ду, ткъа Исраил-мехкан лаьмнашкахь, токхечу бай тӀехь, уьш дежаш а лелар ду.</verse>
				<verse number="15">Со-Со хир ву Сайн уьстагӀий дажош а, цаьрга садоӀуьйтуш а». Иштта боху Хьалдолчу Эло.</verse>
				<verse number="16">«Ас байна уьстагӀ схьалохур бу, тилабелларг юхаберзор бу, лазийначун чов дӀайоьхкур ю, цомгушчунна дарба дийр ду, амма берстина а, нуьцкъала а уьстагӀ буьйр бу. Ас нийсонца дажор ду Сайн жа».</verse>
				<verse number="17">«Аса хьуна, Сан жа, — боху Хьалдолчу Эло, — цхьана уьстагӀний, вукху уьстагӀний, иштта, коьмана а, божана а юкъахь еш, кхел йийр ю.</verse>
				<verse number="18">Шуна ца тоьу ткъа шаьш дикачу дежийлашкахь дежаш хилар? Аша-м дежийлаш тӀехь йисина йолу буц шайн когашца хьоьшу. ЦӀена хи молу аша, ткъа дисина долу хи шайн когашца даржадо.</verse>
				<verse number="19">Сан жено яа еза те аша шайн когашца хьешна йолу буц а, мала деза те аша шайн когашца бехдина долу хи а?»</verse>
				<verse number="20">Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху цаьрга: «Ас-Айса йийр ю берстинчу уьстагӀний, гӀийлачу уьстагӀний юкъахь кхел.</verse>
				<verse number="21">Аша массо а гӀийлачу уьстагӀна шайн агӀонаш а, маӀаш а етта, уьш шайна юкъара дӀалахкархьама.</verse>
				<verse number="22">Амма Ас кӀелхьардоккхур ду Сайн жа, уьш хӀинца дуьйна цхьаммо а лечкъор а дац. Ас цхьана уьстагӀний, вукху уьстагӀний юкъахь кхел а йийр ю.</verse>
				<verse number="23">Ас царна тӀе цхьа Ӏу хӀоттор ву, Сайн ялхо волу Дауд. Цо уьш дажор ду, иза церан Ӏу хир ву.</verse>
				<verse number="24">Веза Эла волу Со церан Дела хир ву, ткъа Сан ялхо волу Дауд царна юкъахь эла хир ву. Иза Аса боху, Везачу Эло.</verse>
				<verse number="25">Ас цаьрца машаран барт бийр бу, цу лаьтта тӀера къиза акхарой а дӀайохур ю. Сан жа цхьа а кхерам боцуш аренгахь дехар ду, цо хьаннашкахь буьйсанаш а йохур ю.</verse>
				<verse number="26">Ас декъалдийр ду уьш а, Сайн гуна гонах йолу аре а. Ас шен-шен хенахь догӀа а доуьйтур ду — иза декъалдаран догӀа хир ду.</verse>
				<verse number="27">Аренгарчу дитто стоьмаш а лур бу, лаьтто ялта а лур ду, Сан уьстагӀий шайн лаьтта тӀехь кхерамехь хир дац. Ас дохор ду церан кочара дукъ, царах леш бинчу нехан карара уьш схьабохур бу Аса. ТӀаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла.</verse>
				<verse number="28">Кхечу къаьмнашна уьш ижунна кхин хир дац, аренгарчу акхароша а уьш кхин дуур дац. Уьш маьрша дехар ду, ткъа цхьаммо а уьш кхин кхерор дац.</verse>
				<verse number="29">Ас царна токхе долу ялта дӀаден латта лур ду. Кхин мацалла ловр яц цара, кхечу къаьмнашкара кхардар а хир дац царна.</verse>
				<verse number="30">ТӀаккха царна дӀахуур ду, церан Веза Дела волу Со шайца вуйла, Исраилан халкъ долу уьш Сан къам дуйла». Иштта боху Хьалдолчу Эло.</verse>
				<verse number="31">«Шу — Сан уьстагӀий долу адамаш ду, Сан дежийлашкара уьстагӀий. Ткъа Со шун Дела ву». Иштта боху Хьалдолчу Эло.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="35">
				<verse number="1">Везачу Элан дош кхечира соьга:</verse>
				<verse number="2">«Адаман кӀант, СеӀир-ломана дуьхьал вист а хилий, Соьгара болу хаам а беш,</verse>
				<verse number="3">дӀаала: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘СеӀир-лам, Со хьуна дуьхьал ву. Ас Сайн ницкъ хьуна тӀе а берзор бу, хьох бассийна а, бохийна а мохк бийр бу.</verse>
				<verse number="4">Хьан гӀаланаш йоха а йина, царах саьлнаш йина дӀахӀиттор ю Ас, хьо бассор бу Ас, тӀаккха хуур ду хьуна, Со Веза Эла вуйла.</verse>
				<verse number="5">Гуттара а Сан халкъана дуьхьал хьан мостагӀалла а дара, ткъа цунна хала киртиг тӀехӀоьттинчу хенахь, царна тӀехь долу таӀзар кхоччуш хилча, ахь Сан халкъ дӀаделира, туьре хӀаллакдайтархьама.</verse>
				<verse number="6">Цундела дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Ас, — боху Хьалдолчу Эло, — хьо Айса Ӏожалле дӀакховдор бу аьлла, и Ӏожалла хьуна тӀаьхьаяьлла лелар ма ю. Хьо цӀий ца Ӏенош ца сацалора, и цӀий хьуна тӀаьхьадаьлла лелаш ду.</verse>
				<verse number="7">Ас СеӀир-лам, шена тӀехь цхьа а адам ца дуьтуш, бассор бу, Ас цу лам тӀе воьдург а, цигара юхавирзинарг а хӀаллаквийр ву.</verse>
				<verse number="8">Ас лаьмнаш декъех хьаладузур ду, уьш массо а гунаш тӀехь а, тогӀеш чохь а, массо а Ӏаннаш чохь а Ӏохкуш хир ду, туьро хӀаллакдина.</verse>
				<verse number="9">Ас массо а ханна бассор бу хьо, хьан гӀаланашкахь вехаш цхьа а стаг хир вац, тӀаккха хуур ду хьуна, Со Веза Эла вуйла.</verse>
				<verse number="10">Ахьа бехира: ‹И ший а къам а, ший а мохк а сан хир бу, оха уьш схьабохур бу›, цигахь Веза Эла волу Со хиллехь а.</verse>
				<verse number="11">Цундела дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Ас, — боху Хьалдолчу Эло, — уьш цабезарна ахь царна гайтинчу цабезаме а, эмгаралле а хьаьжжина, Со хьоьца а хир ву. Аса хьуна кхел ярехула царна хуур ду, Со муха ву.</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха хуур ду шуна, аша Исраил-мехкан лаьмнашна, кхиссарш а еш, мел дийцинарг Веза Эла волчу Суна хезна хиллийла. Аша бохура: ‹Исраилан мохк бассийна! Иза тхоьга баийта схьабелла бу!›</verse>
				<verse number="13">Иштта Суна дуьхьал аша дозалла а дора, кура къамелаш а дора’“.</verse>
				<verse number="14">Хьалдолчу Эло боху: „Дерриг а дуьне доккхадечу хенахь, Ас хьо бассор бу.</verse>
				<verse number="15">Исраил-мохк бассийча, шу а дара даккхийдеш. Ткъа хӀинца Аса шуна а дийр ду цунна диннарг. СеӀир-лам а, берриг а Эдом-мохк а бассор бу. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="36">
				<verse number="1">«Адаман кӀант! Соьгара болу хаам Исраил-мехкан лаьмнашка бе: „Исраил-мехкан лаьмнаш! ЛадогӀа Везачу Эло бохучуьнга.</verse>
				<verse number="2">Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Шун мостагӀаша шух лаьцна элира: ‹Жолам-яӀ! Массо а заманашкахь лаьттина долу лаьмнаш тхан дола девлла›’“.</verse>
				<verse number="3">Цундела, Соьгара болу хаам а беш, дӀаала: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘МостагӀаша, шуна массо а агӀор го а бина, шу дассийна, ткъа хӀинца шу кхечу къаьмнийн карахь а ду, наха шух лаьцна луьйш, мотт бетташ а бу.</verse>
				<verse number="4">Цундела ладогӀа, Исраил-мехкан лаьмнаш, Хьалдолчу Элан даше. Цо боху лаьмнашка, гунашка, Ӏаннашка, тогӀешка, йохийна лаьттачу меттигашка, иштта шуна гонах долчу кхечу къаьмнашна ижуна хиллачу а, церан кхардам хилла дӀахӀиттийначу а яьсса лаьттачу гӀаланашка’.</verse>
				<verse number="5">Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Сайн карзахдаьллачу эмгараллехь Ас элира кхечу къаьмнашна а, Эдомна а дуьхьал, хӀунда аьлча цара, шайн дагахь са а къералуш, кхарда а кхаьрдаш, Сан латта шайна дола даккхархьама дӀаэцна, цуьнан дежийлаш шайна ижу санна хилийтархьама’“.</verse>
				<verse number="6">Цундела, Исраил-мехкан лаьттах Соьгара болу хаам а беш, дӀаала цуьнан лаьмнашка а, гунашка а, Ӏаннашка а, тогӀешка а: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ас Сайн карзахваларца а, оьгӀазвахарца а дӀабохуш ду хӀара, хӀунда аьлча кхин къаьмнаш шух кхаьрдаш хилла’“.</verse>
				<verse number="7">Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: „Хьалаайинчу куьйгаца Ас чӀагӀо йо: шуна гонах долчу къаьмнашна а тӀебогӀур бу кхардам“.</verse>
				<verse number="8">„Ткъа аша, Исраил-мехкан лаьмнаш, керла дитташ кхиор ду, царна тӀехь Сан Исраилан халкъана стоьмаш кхиор бу, хӀунда аьлча и къам кестта цӀа доьрзур ду.</verse>
				<verse number="9">Со шуьца ву, Ас гӀо дийр ду шуна. Шу охур а ду, шуна тӀехь ялта дӀа а дуьйр ду.</verse>
				<verse number="10">Шуна тӀехь долу адамаш совдохур ду Аса. Иштта шуна тӀехь дерриг а Исраилан халкъ хир ду. Дохийна мел дерг юхаметта а хӀоттийна, гӀаланаш а адамех хьалаюзур ю.</verse>
				<verse number="11">Ас шуна тӀехь дебор ду адамаш а, хьайбанаш а. Церан дуккха а кӀорнеш а, бераш а хир ду. Ас, хьалха ма-хиллара, шуна тӀехь нах а охьаховшор бу, хьалха хиллачул а сов шуна беркат а лур ду. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла.</verse>
				<verse number="12">Ас Сайн Исраилан халкъ шуна тӀехула лоьлуьйтур ду. Шу церан долахь хир ду, аша кхин цкъа а церан дог а дохор дац, уьш тӀаьхье йоцуш а дитина“.</verse>
				<verse number="13">Иштта боху Хьалдолчу Эло: „Исраил-мехкан латта, хьох лаьцна вон мел дерг дуьйцу, ахьа хьайн халкъ а дӀакхоллу боху, иштта хьайн тӀаьхье а хӀаллакйо боху.</verse>
				<verse number="14">Ахьа хьайн халкъ кхин дӀакхоллур дац, иза тӀаьхье йоцуш а дуьтур дац ахьа“. Иштта боху Хьалдолчу Эло:</verse>
				<verse number="15">„Ас кхечу къаьмнийн кхардам хьуна кхин хозуьйтур а бац, кхечу халкъаша хьо кхин юьхьӀаьржачу хӀоттор а дац, ахьа хьайн къам кхин галдолуьйтур а дац“. Иштта боху Хьалдолчу Эло».</verse>
				<verse number="16">ТӀаккха соьга Везачу Элан дош кхечира:</verse>
				<verse number="17">«Адаман кӀант! Исраилан халкъо, шен лаьтта тӀехь ша дехачу хенахь, и латта шен вон леларца бехдора. Церан лелар зудчун ламаз доьхначу хенахь боьха хиларх тера дара.</verse>
				<verse number="18">Цара Ӏанийна цӀий бахьана долуш а, иштта шайн цӀушца хӀара латта цара бехдина дела а, Ас Сайн оьгӀазалла царна тӀе яссийна.</verse>
				<verse number="19">Аса уьш кхечу къаьмнашкахула дӀаса а даржийна, кхечу мехкашкахула дӀаса а кхиссина. Ас, цара лелийна долчу гӀуллакхашка хьаьжжина, кхел йина царна.</verse>
				<verse number="20">ТӀаккха уьш кхечу мехкашка дӀабахара, амма цигахь а цара Сан еза цӀе сийсазъяьккхира, хӀунда аьлча цигарчу халкъаша бохура: „Иза — Везачу Элан къам ду, амма Цуьнан лаьтта тӀера арадала дезаш хили иза“.</verse>
				<verse number="21">ТӀаккха Ас сагатдайтира Сайн еза цӀе бахьана долуш, Исраилан халкъо сийсазъяьккхина йолчу.</verse>
				<verse number="22">Цундела дӀаала Исраилан халкъе Хьалдолчу Эло бохуш дерг: „Хьан дуьхьа дийр дац Аса иза, Исраилан халкъ, амма шаьш арадевллачу къаьмнашна юкъахь ахьа сийсазъяьккхина йолу Сайн еза цӀе бахьана долуш дийр ду.</verse>
				<verse number="23">Ас язйийр ю Сайн сийлахь цӀе, кхечу къаьмнашна юкъахь бехйина йолу — аша и цӀе царна юкъахь бехйинера. Оцу къаьмнашна хуур ду, Со Веза Эла хилар, — боху Хьалдолчу Эло, — шуьгахула Аса Сайн возалла царна хьалха гайтича.</verse>
				<verse number="24">Ас шу кхечу къаьмнашна юкъара схьадохур ду. Ас шу массо а мехкашкара схьагулдийр а ду, шайн лаьтта шу юха а далор ду.</verse>
				<verse number="25">Ас шуна тӀе цӀена хин цинцаш деттар ду, тӀаккха шайн мел йолчу боьхаллех цӀан а лур ду шу. Шун массо а цӀуйх Аса цӀандийр ду шу.</verse>
				<verse number="26">Ас шуна керла дог а лур ду, иштта керла са а кхуллур ду Ас шуна. Шуна чуьра шун тӀулган дог дӀа а даьккхина, шуна дилханан дог кхуллур ду Аса.</verse>
				<verse number="27">Ас шуна чу Сайн Са дуьллур ду, Аса шу Сайн парзашца лоьлуьйтур а ду, Сан тӀедехкинарш, лар а деш, кхочушдойтур а ду.</verse>
				<verse number="28">ТӀаккха Ас шайн дайшна деллачу лаьтта тӀехь дехар ду шу, шух Сан халкъ хир ду, ткъа Со шун Дела хир ву</verse>
				<verse number="29">Ас шайн боьха хиларх мукъадохур ду шу, Аса кӀа схьакхойкхур ду, ткъа иза дебор а ду, шуьга мацалла а хьоьгуьйтур яц</verse>
				<verse number="30">Ас шун дитташ тӀера стоьмаш а, кхаш тӀера ялта а дебор ду, кхидолу къаьмнаш, мацалла хӀоттар бахьана долуш, шух кхин ца кхардийта.</verse>
				<verse number="31">ТӀаккха дагадогӀур ду шуна шаьш дӀакхехьна долу вон некъаш а, шаьш дина долу вонаш а. Цул тӀаьхьа шаьш шайх дог дер ду шун шаьш летийна къинош а, дегаза гӀуллакхаш а бахьана долуш.</verse>
				<verse number="32">Шуна дӀахоийла, Ас иза шун дуьхьа дийр доцийла, — боху Хьалдолчу Эло. — ЦӀий а луш, юьхьӀаьржачу хӀуттийла хьо, хьайн некъаш бахьана долуш, Исраилан халкъ“.</verse>
				<verse number="33">Иштта боху Хьалдолчу Эло: „Шайн мел долчу къинойх Ас шу цӀандийр долчу дийнахь, шайн гӀаланашкахь нах юха охьаховшор а бу, йохийна йолу шун меттигаш юхаметтахӀиттийна а хир ю.</verse>
				<verse number="34">Дассийна хилла долу шун латта юха а ялта луш дӀахӀуттур ду, тӀехбуьйлуш мел лелачарна хьалха кхин яьсса аре хилла а ца лаьтташ.</verse>
				<verse number="35">Цара эр ду: ‘ДӀаяханчу заманахь хӀара латта даьсса лаьтташ дара, ткъа хӀинца хӀара Ӏеданан беш санна ду. Кхузара гӀаланаш йохийна, яссийна, хӀаллакйина лаьтташ яра, ткъа хӀинца уьш чӀагӀйина ю, цу чохь адамаш а ду дехаш’.</verse>
				<verse number="36">ТӀаккха шуна гонах дисинчу къаьмнашна хуур ду, Веза Эла волчу Ас йохийна йолу гӀаланаш юхаметтахӀиттийна хилар а, яьссачу меттигашна тӀехь юха ялта дӀадийна хилар а. Веза Эла волчу Аса иштта элира, ткъа Айса аьлларг кхочуш а дийр ду Аса“.</verse>
				<verse number="37">Иштта боху Хьалдолчу Эло: „Ас Исраилан халкъе кхин а цкъа Со лоьхуьйтур ву, церан дуьхьа Со лелийтархьама. Ас уьш, жа ма-деббара, доьбуьйтур бу.</verse>
				<verse number="38">Ярушалаймехь динан дезачу деношкахь сагӀина лерина долу уьстагӀий ма-хиллара дукха адам хир ду йохийначу гӀаланашкахь. ТӀаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="37">
				<verse number="1">Везачу Элан ницкъ боьссира суна тӀе, Цуьнан Сино, цигара дӀа а ваьккхина, тогӀи чу охьавоссийра со. Цу тогӀи чохь дукха даьӀахкаш яра.</verse>
				<verse number="2">Цо цу даьӀахкашна го баккхийтира соьга, ткъа Суна гира тогӀин бухахь йолу уьш чӀогӀа дукха хилар. Со инзарвелира и даьӀахкаш вуно якъаелла хилар бахьана долуш.</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха Везачу Эло соьга элира: «Адаман кӀант! Денлур юй те и даьӀахкаш?» Ас жоп делира: «Хьалдолу Эла! Иза Хьуна цхьанна хаьа».</verse>
				<verse number="4">Везачу Эло соьга элира: «Соьгара хаам а беш, дӀаала оцу даьӀахкашка: „Екъа даьӀахкаш! ЛадогӀа Везачу Элан даше!“</verse>
				<verse number="5">Иштта боху Хьалдолчу Эло хӀокху даьӀахкашка: „Ас шуна чу са доуьйтур ду, тӀаккха шу денлур ю.</verse>
				<verse number="6">Ас шуна кӀозйохург а, дилха а юхадерзор ду, шуна тӀе чкъор а далор ду, цул тӀаьхьа шуна чу са а дуьллур ду, тӀаккха шу денлур ю. Иштта хуур ду шуна Со Веза Эла вуйла“».</verse>
				<verse number="7">Ас Везачу Элера болу хаам бора, сайна тӀе-ма-диллара. Аса хаам бечу хенахь тата санна йолу цхьа гӀовгӀа елира. Юха и даьӀахкаш вовшашна тӀеттӀа йоьлхура.</verse>
				<verse number="8">Суна гира царна тӀе кӀозйохург а, дилха а дуьллуш, цул тӀаьхьа царна тӀе чкъор озийра, амма царна чохь са дацара.</verse>
				<verse number="9">ТӀаккха Цо соьга элира: «Адаман кӀант, Соьгара болу хаам а беш, дӀаала сине: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ва са, массо а маьӀӀера хьайн Ӏаь тохий, хӀокху хӀаллакбиначарна чу са даийта, тӀаккха уьш денлур бу’“».</verse>
				<verse number="10">Цо Суна тӀе-ма-диллара, Ас Хьалдолчу Элера болу хаам бира. ТӀаккха цу декъашна чу са деара, уьш ден а делла, хьалагӀевттира. Уьш доккха эскар хиллал чӀогӀа дукха бара.</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха Цо соьга элира: «Адаман кӀант! ХӀара даьӀахкаш Исраилан дерриг а халкъ ду. Цара боху: „Тхан даьӀахкаш якъаелла, тхан сатийсам а дӀабаьлла, хиндерг тхох дӀа а хаьдда“.</verse>
				<verse number="12">Цундела, Соьгара болу хаам а беш, дӀаала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Сан халкъ, Ас шун къуббанаш схьайостур ю, цул тӀаьхьа Ас шу, шайн кешнашкара ара а даьхна, Исраилан махка юхадалор ду.</verse>
				<verse number="13">Аса, шун къуббанаш схьа а йиллина, цу чуьра шаьш арадаьхча, хуур ду Сан халкъ долчу шуна Со Веза Эла вуйла.</verse>
				<verse number="14">Ас шуна чу Сайн Са дуьллур ду, шу ден а лур ду. Цул тӀаьхьа Ас шу шайн лаьтта тӀе даха охьаховшор ду. ТӀаккха хуур ду шуна Веза Эла волчу Аса иштта аьллийла а, ткъа Айса аьлларг Аса кхочушдинийла а’“».</verse>
				<verse number="15">Соьга юха а Везачу Элан дош кхечира:</verse>
				<verse number="16">«Адаман кӀант, хьайна цхьа гӀаж схьа а эций, цу тӀе дӀаязде: „ЯхӀудан тайпа а, цуьнца бертахь болу исраилхой а“. Цул тӀаьхьа шолгӀа гӀаж схьа а эций (иза Эпрайман гӀаж ю), цу тӀехь а дӀаязде: „Юсупан тайпа а, цуьнца бертахь долу дерриг Исраилан халкъ а“.</verse>
				<verse number="17">Цул тӀаьхьа и ши гӀаж, цхьа гӀаж йолуш санна, цхьаьна дӀалаца хьайн куьйгахь.</verse>
				<verse number="18">Хьан халкъо хьайга, и хӀун ду бохуш, хаттар дича,</verse>
				<verse number="19">цуьнга дӀаала: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Эпрайман карахь йолу Юсупан гӀаж а, цуьнца бертахь долу Исраилан тайпанаш а Ас ЯхӀудан гӀожаца цхьаьна дӀалоцур ду, цхьа гӀаж санна. Уьш Сан карахь цхьаъ санна хир бу’“.</verse>
				<verse number="20">Айхьа тӀехь яздина йолу ши гӀаж царна хьалха хьайн куьйгахь латтае.</verse>
				<verse number="21">ДӀаала халкъе: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Шаьш дӀабаханчу меттера къаьмнашна юкъара схьабохур бу Ас исраилхой. Массо а маьӀӀера уьш схьа а гулбина, шайн лаьтта тӀе схьабалор бу Аса.</verse>
				<verse number="22">ХӀокху лаьтта тӀехь, Исраил-махкарчу лаьмнашкахь, Ас уьш цхьа къам дина дӀахӀиттор бу. Царна массарна а тӀехь паччахьалла деш цхьа паччахь хир ву. Уьш кхин лелар бац шина къоме бекъабелла а, шина пачхьалкхе бекъабелла а.</verse>
				<verse number="23">Цара шаьш кхин бехдийр дац шайн цӀушца а, я шайн дегазчу гӀуллакхашца а, я шаьш мел летийначу зуламашца а. Ас массо а къинойх кӀелхьара а даьккхина, цӀандийр ду и къам. Царах Сан халкъ хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву.</verse>
				<verse number="24">Сан ялхо волу Дауд церан паччахь хир ву, царна массарна а тӀехь цхьа Ӏу а хир ву. Уьш Сан тӀедехкинаршца лелар бу, цара Сан парзаш, кхочуш а деш, лар а дийр ду.</verse>
				<verse number="25">Уьш Аса Сайн ялхо волчу Якъубана делла долчу лаьтта тӀехь баха ховшур бу. Цу лаьтта тӀехь церан дай а баьхна, цигахь уьш а, церан бераш а, берийн бераш а дехар ду массо а хенахь, ткъа Сан ялхо волу Дауд церан эла хир ву массо а хенахь.</verse>
				<verse number="26">Ас массо а ханна цаьрца машаран барт бийр бу. Ас уьш баха а ховшор бу, дебор а бу, иштта царна юкъахь массо а ханна Сайн еза меттиг дӀа а хӀоттор ю.</verse>
				<verse number="27">Царна юкъахь хир ю Сан хӀусам. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду.</verse>
				<verse number="28">Сан Деза цӀа царна юкъахь гуттаренна а хилча, кхечу къаьмнашна хуур ду, Со Исраилан халкъ Сайна лерина даздеш волу Веза Эла вуйла’“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="38">
				<verse number="1">Соьга Везачу Элан дош кхечира:</verse>
				<verse number="2">«Адаман кӀант, Машах а, Тубал а цӀераш йолчу меттигийн МагӀогӀ-махкарчу коьрта эла волчу ГӀогӀехьа дӀа а верзий, цунна дуьхьал вистхила. Соьгара болу хаам а беш, дӀаала цуьнга:</verse>
				<verse number="3">„Везачу Эло иштта боху: ‘Ва ГӀогӀ, Машахан а, Тубалан а коьрта эла волчу хьуна дуьхьал ву Со!</verse>
				<verse number="4">Ас юхаверзор ву хьо. Хьан мочхална юккъе мӀерий а дехкина, Ас аравоккхур ву хьо а, дерриг а хьан эскар а — кхоччуш тӀамана кечбелла болу дошлой а, говраш а. Иза вуно йоккха эскархойн тоба хир ю. ТӀемалой даккхий а, жима а турсаш долуш хир бу, карахь тарраш а долуш.</verse>
				<verse number="5">Парсихойн а, хушахойн а, пӀатӀахойн а тӀемалой а хир бу цаьрца, шайн турсашца а, гӀемашца а.</verse>
				<verse number="6">Иштта шен эскарийн тобанашца волу Гомар а, кхин а генарчу къилбаседехьара схьавеана волу а, шен эскарийн тобанашца волу а Байт-ТогӀарма а хир ву цаьрца. Дуккха а къаьмнаш хир ду хьоьца.</verse>
				<verse number="7">Кечам а бай, кийча хила хьо а, хьуна тӀегулделла массо а эскар а, ткъа хьо церан баьчча а хила.</verse>
				<verse number="8">Дуккха а денош дӀадевллачул тӀаьхьа хьо тӀом бан тӀекхойкхур ву. Хинйолчу заман чохь хьо тӀом бинчуьра юхаметтахӀоьттинчу махкана тӀегӀуртур ву. Дуккха а къаьмнашна юкъара оцу мехкан нах гулбинера еххачу хенахь даьсса лаьттина долчу Исраил-мехкан лаьмнашка. Оцу мехкан халкъ кхечу къаьмнашкара арадаьккхинера, ткъа хӀинца уьш массо а кхерам а боцуш цу лаьтта тӀехь дехаш ду.</verse>
				<verse number="9">Амма хьо царна тӀелетар ву, йочана я дерриге а латта къайладоккхуш йолу Ӏаьржа марха санна, тӀе а хьаьдда. Хьо а, хьан эскар а, хьоьца кхин а дуккха а кхидолу къаьмнаш а кху лаьттана тӀелетар ду’.</verse>
				<verse number="10">Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Цу дийнахь хьан даг чохь цхьа ойла кхоллалур ю, тӀаккха хьуна вон хӀума дан дагадогӀур ду.</verse>
				<verse number="11">Ахьа эр ду: ‹Со ваха а вахана, чӀагӀйина йоцучу гӀаланашна тӀелетар ву. Уьш маьрша бехаш бу, шайна цхьа а кхерам бац бохуш, церан я пенаш а дац, я гӀорашца къовлуш долу кевнаш а дац.</verse>
				<verse number="12">Ас, царна тӀехь толам а баьккхина, церан массо а хӀума хӀонс санна дӀахьур ду. Аса тӀом бийр бу йохийначуьра юхаметтахӀиттийначу гӀаланашна дуьхьал, кхечу къаьмнашкара гулдинчу халкъана дуьхьал а. Оцу халкъан даьхни а, бахам а бу, иза дуьненна юккъехь Ӏаш ду›.</verse>
				<verse number="13">Шеба а, Даддан а гӀаларчу наха а, Таршаш-гӀаларчу совдегарша а, цуьнан мел йолчу ярташа а хьоьга хоттур ду: ‹Хьо талор дан веана те, ахьа хӀара эскар исраилхошкара массо а хӀума: деши, дети, даьхни, кхидолу хӀума дӀадахьа гулдина те?›’“.</verse>
				<verse number="14">Цундела, адаман кӀант, Соьгара болу хаам а беш, дӀаала ГӀогӀе: „Хьалдолчу Эло иштта боху хьоьга: ‘Сан Исраилан халкъ, шена кхерам боцуш дехаш хетачу хенахь, ахь тидам бийр бу цуьнан.</verse>
				<verse number="15">Къилбаседехьа болчу генарчу хьайн махкара схьавогӀур ву хьо, хьайца дуккха а къаьмнийн эскархой а балош, уьш берриш а дошлой хир бу.</verse>
				<verse number="16">Хьо Сан Исраилан халкъана тӀелата вогӀур ву, хьо лаьтта тӀехула дӀаяьржина йолу Ӏаьржа марха санна хир ву. И хан тӀекхаьчча, Ас хьо Сайн халкъана дуьхьал тӀом бан валор ву, къаьмнашна Со вовзийтархьама, хьоьгахула Аса царна хьалха Сайн возалла гайтича’.</verse>
				<verse number="17">Хьалдолчу Эло боху: ‘Хьо вуй те Ас хьалхарчу заманахь Сайн ялхой болчу Исраил-мехкан пайхамаршкахула вийцинарг? Цу хенахь Ас элира, царна дуьхьал ваккха хьо валор ву Ас аьлла.</verse>
				<verse number="18">Оцу дийнахь, ГӀогӀа Исраил-махкана дуьхьал тӀом болийча, — боху Хьалдолчу Эло — Сан оьгӀазалла карзахъер ю.</verse>
				<verse number="19">Сайн эмгараллица, Сайн дераллин цӀерца Ас чӀагӀо йо, оцу дийнахь Исраил-махкахь чӀогӀа мохк бегор бу аьлла.</verse>
				<verse number="20">Дуьнен чохь дийна мел долу хӀума Суна хьалха кхерарна дегош хир ду: хӀорда чохь долу чӀерий, стигалахь долу олхазарш, аренгахь лелаш йолу акхарой, лаьттахула текхаш мел йолу хӀума, иштта лаьтта тӀера хӀора стаг а. Лаьмнаш охьакхиссина хир ду, баххьийн йистош охьаэгар ю, дерриг а пенаш лаьтта охьаэгар ду.</verse>
				<verse number="21">Дерриг а Сан лаьмнашкахула Сайн тур схьакхойкхур ду Аса ГӀогӀана дуьхьал тӀом бан, — боху Хьалдолчу Эло. — ХӀора тӀемалочо шен вешина тӀе тур хьалаойур ду.</verse>
				<verse number="22">Ас цунна таӀзар дийр ду уьнца а, цӀийца а. Ас цунна а, цуьнан эскарна а, иштта цуьнца цхьаьна долчу дуккха а къаьмнашна а тӀе массо а хӀума къайладоккхуш долу догӀа доуьйтур ду, къора а тухуьйтур ю, цӀе а, саьмгал а хьажор ду Ас цунна тӀе.</verse>
				<verse number="23">ТӀаккха Ас дӀагойтур ду, Со сийлахь а, веза а хилар, иштта дуккха а къаьмнашна довзуьйтур ду Аса Со мила ву. ТӀаккха царна хуур ду Со Веза Эла вуйла’“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="39">
				<verse number="1">«Адаман кӀант, Соьгара болу хаам а беш, дӀаала ГӀогӀе: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ва ГӀогӀ, Машахан а, Тубалан а коьрта эла волчу хьуна дуьхьал ву Со!</verse>
				<verse number="2">Хьо юха а верзийна, Аса дӀакхоьхьур ву хьо. Генарчу къилбаседехьара хьо схьа а валийна, Исраилан лаьмнашна дуьхьал дӀавуьгур ву Ас.</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха Ас хьан аьрру куьйгара секхаӀад дӀадоккхур ду, хьан аьтту куьйгара пхерчий дӀакхуьссур ду.</verse>
				<verse number="4">Исраилан лаьмнашкахь вуьйр ву хьо — хьо а, хьан эскар а, хьоьца кхидолу къаьмнаш а. Ас хьо массо а къийгашка а, аренан акхарошка а ваийта дӀалур ву.</verse>
				<verse number="5">Хьо аренгахь вуьйр ву, Аса иштта аьлла дела — боху Хьалдолчу Эло. —</verse>
				<verse number="6">Везачу Эло боху: ‹Ас МагӀогӀ-махкана тӀе а, хӀордан йистехь кхерам боцуш дехаш долчу адамашна тӀе а цӀе хьажор ю. ТӀаккха царна хуур ду, Со Веза Эла вуйла.</verse>
				<verse number="7">ТӀаккха Аса Сайн еза цӀе Сайн Исраилан халкъана дӀайовзуьйтур ю. Ас кхин сийсазйохуьйтур яц Сайн цӀе, ткъа массо а къаьмнашна дӀахуур ду, Веза Эла волу Со Исраилан халкъан Везаниг вуйла.</verse>
				<verse number="8">Гой хьуна, и хӀума тӀекхочуш ду, иза кхочуш а хир ду, — боху Хьалдолчу Эло. — Ас дийцина долу де ма ду иза!</verse>
				<verse number="9">ТӀаккха Исраил-махкарчу гӀаланашкахь бехаш болчу бахархоша, ара а бевлла, цӀе а латийна, цу цӀергахь герз дагор ду — кегий а, даккхий а турсаш а, секхаӀедаш а, пхерчий а, хьокхий а, гоьмукъаш а. ВорхӀ шарахь шайн цӀерашкахь дагор ду цара уьш.</verse>
				<verse number="10">Цара аренгахь дечиг а гулдийр дац, хьаннашкахь дитташ а хедор дац — мостагӀийн герз чӀеш хилла дӀахӀуттур ду царна. Шайгара хӀонс а яьккхина, талор диначарна цара талор дийр ду, цаьргара хӀонс а йоккхур ю›’“». Иштта боху Хьалдолчу Эло.</verse>
				<verse number="11">«Ас Исраил-махкахь меттиг билгалйоккхур ю, ГӀогӀ дӀаволлийта. Иза хир ю хӀорд болчу агӀонгара малхбалехьа, Беллачийн ТогӀи чохь. Цу меттиго некъахойн некъ сацор бу. Наха цунна, ГӀогӀан эскаран тогӀи аьлла, цӀе туьллур ю.</verse>
				<verse number="12">ВорхӀ баттахь дӀабухкур бу уьш Исраилан халкъо, шайн латта царах дӀацӀандеш.</verse>
				<verse number="13">Дерриг а халкъ хир ду уьш дӀабухкуш, ткъа халкъана иза сийнна хир ду Ас Сайн сийлалла дӀагойтуш долу и де». Иштта боху Хьалдолчу Эло.</verse>
				<verse number="14">«Цара леррина нах билгалбохур бу, махкахула чекх а буьйлуш, лаьтта тӀехула дисина долу беллачийн декъий цаьрга дӀадохкийта, шайн латта цӀандархьама. ВорхӀ бутт дӀабаьллачул тӀаьхьа уьш и декъий лаха арабовла беза.</verse>
				<verse number="15">Декъий схьалохуш волчунна адаман цхьа даьӀахк гича, цо цунна улло билгало хӀотто еза, и декъий дӀадухкуш лелаш болчарна и билгало гинчул тӀаьхьа, уьш ГӀогӀан эскаран тогӀи чохь дӀадохкийта.</verse>
				<verse number="16">Цу беллачеран гӀалина, ХӀамуна (эскарийн тоба) аьлла, цӀе туьллур ю. Иштта цӀандина хир ду и латта.</verse>
				<verse number="17">Адаман кӀант, иштта боху Хьалдолчу Эло: „Массо а олхазаршка а, аренгахь лелачу акхарошка а дӀаала: ‘Массо а гонахарчу меттигера схьагулло Ас шайна кечдина сагӀа долчу. Иза Исраил-мехкан лаьмнашкахь даьккхина доккха сагӀа ду, цигара дилха а даа, цӀий а мала.</verse>
				<verse number="18">Аша майрачу тӀемалойн дилха дуур ду, Лаьттан элийн цӀий а мер ду, ткъа уьш Башанехь дустийна уьстагӀий а, Ӏахарий а, гезарий а, стерчий а санна хир бу.</verse>
				<verse number="19">Аша шаьш дуззалц мохь а юур ю, шаьш даххалц цӀий а мер ду, Ас шайна даьккхинчу сагӀанах.</verse>
				<verse number="20">Сан шуьна тӀехь шу дуззалц яа говраш а, дошлой а, майра тӀемалой а, иштта массо а тайпана эскархой а хир бу’“». Иштта боху Хьалдолчу Эло.</verse>
				<verse number="21">«Ас халкъашна Сайн сийлалла гучуйоккхур ю, тӀаккха массо а къаьмнашна Ас йина кхел дӀагур ю, царна Сан ницкъ а дӀагур бу.</verse>
				<verse number="22">Оцу дийнахь дуьйна Исраилан халкъана хуур ду, Со шайн Веза Дела вуйла.</verse>
				<verse number="23">Массо а халкъашна дӀахуур ду Исраилан халкъ шен къа бахьана долуш йийсаре дигна хилар, хӀунда аьлча иза Суна тешаме ца хилла. Иштта Аса, цунах Сайн юьхь къайла а яьккхина, иза цуьнан мостагӀийн кара дӀаделира, цаьрга иза эшадайтархьама а, тӀамехь далийтархьама а.</verse>
				<verse number="24">Со цаьрца лелла, церан боьха хиларе а, цара летийначу зуламашка а хьаьжжина. Иштта Аса Сайн юьхь царах къайлаяьккхина».</verse>
				<verse number="25">Цундела Хьалдолчу Эло боху: «ХӀинца Ас Якъубан тӀаьхье юхаметтахӀоттор ю. Ас къинхетам бийр бу дерриг а Исраилан халкъах, иштта Сайн еза цӀе Ас ларйийр ю.</verse>
				<verse number="26">Шаьш цхьа а кхерам а боцуш машаре даха хевшича, уьш юьхьӀаьржачу хӀиттина лелар а бу, Суна шаьш схьагайтина долу шайн тешаме цахилар а лелош.</verse>
				<verse number="27">Ас Сайн халкъ кхечу къаьмнашкара юхадерзор ду, Ас иза цуьнан мостагӀийн мехкашкара схьагулдийр ду, ткъа иштта Аса дуккха а къаьмнашна хьалха дӀагойтур ду, Со веза хилар.</verse>
				<verse number="28">Иштта хуур ду царна, Со церан Веза Дела вуйла, хӀунда аьлча уьш кхечу къаьмнашна юкъа Ас йийсаре бахийтинехь а, хӀинца уьш, схьа а гулбина, шайн лаьтта тӀе схьабалор бу, царах цхьа а цигахь вуьтур а вац.</verse>
				<verse number="29">Ас кхин цкъа а царах Сайн юьхь къайлайоккхур яц, хӀунда аьлча Ас Сайн Синан Ӏаь тухур ю Исраилан халкъана тӀе». Иштта боху Хьалдолчу Эло.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="40">
				<verse number="1">Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа ткъе пхоьалгӀачу шеран хьалхарчу беттан уьтталгӀачу дийнахь, бавелхоша Ярушалайм йохийна дейтта шо кхочуш — оццу дийнахь Суна тӀе Везачу Элан ницкъ боьссира, ткъа Цо со оцу гӀала дӀаваьхьира.</verse>
				<verse number="2">Дала хӀиттийначу суьрташкахь Цо со Исраил-махка а валийна, вуно лекхачу лам тӀе дӀахӀоттийра. Ткъа цу лам тӀехь къилбехьа йолчу агӀонгахь гӀала йолуш санна цхьа гӀишлош хеталора.</verse>
				<verse number="3">Везачу Эло со цига схьавалийра. Цигахь цӀаста санна къегаш долу амат долуш волу цхьа стаг вара. Кевнна уллохь дӀа а хӀоьттина, лаьтташ волчу цуьнан карахь хӀума юстуш йолу втанан тӀийраг а, иштта хӀума юстуш йолу гӀаж а яра.</verse>
				<verse number="4">Цу стага соьга элира: «Адаман кӀант, хьайн бӀаьргашца хьажа а хьажа, хьайн лергашца ла а догӀа, хьайн дог ас гойтуш долчу массо а хӀуманна тӀе а дерзаде, хӀунда аьлча хьо и дерриг а гайта валийна ву кхуза. Хьайна мел гинарг Исраилан халкъе дӀадийца».</verse>
				<verse number="5">Суна Делан цӀийнан кертана гонахула бина болу пен гира. Цу стеган карахь суна хӀума юстуш йолу гӀаж гира, ялх дол хиллал еха а йолуш (хӀора дол цхьа шира доллий, цхьа шей лоруш яра). Цу стага пенан шоралла юьстича, иза цхьана гӀожан барамехь шуьйра а, оццул лекха а яра.</verse>
				<verse number="6">Цул тӀаьхьа, малхбалехьа дӀадерзийна динчу кевнна улло а вахана, цуьнан ламеш тӀехула хьала а ваьлла, неӀсагӀа дуьстира цо. Оцу неӀсагӀин шоралла цхьана гӀожан барамехь яра.</verse>
				<verse number="7">ХӀора агӀонгара йолу чоь цхьа гӀаж шуьйра яра. Чоьнашна юккъехь долу пенаш пхи дол дара. Ткъа кевнал тӀехваьллачул тӀаьхьа йолчу ученна уллохь долу неӀсагӀа цхьана гӀожан барамехь шуьйра дара.</verse>
				<verse number="8">ТӀаккха цо Делан цӀийнан агӀор йолчу ученан ков дуьстира, иза цхьана гӀожан барамехь дара.</verse>
				<verse number="9">Цул тӀаьхьа цо ученан ков дуьстира — иза бархӀ дол хилира, ткъа цуьнан пенийн гӀорторан шоралла ши дол яра. И уче Делан цӀийнан ков долчу агӀор яра.</verse>
				<verse number="10">Малхбалехьа дӀадерзийна долчу кевнан хӀора агӀонгахь кхоккха жима цӀа дара, уьш хӀора а цхьана барамехь дара, шина а агӀор йолу пенийн гӀортораш санна.</verse>
				<verse number="11">Кевнийн шоралла цо юьстича, иза итт дол яра, ткъа церан дохалла кхойтта дол яра.</verse>
				<verse number="12">ХӀора чоьнна хьалха схьаеана меттиг яра, цхьа дол лекха а йолуш, ткъа вукху агӀор и санна схьаеана меттиг яра. Цу чоьнийн хӀора агӀо ялх дол яра.</verse>
				<verse number="13">Цул тӀаьхьа цо цхьана чоьнан тхевнна тӀера дуьхьаларчу чоьнан тхевнна тӀе кхаччалц йолу меттиг юьстира, иза ткъе пхиъ дол хилира. Цу чоьнийн неӀарш дуьхь-дуьхьал яра.</verse>
				<verse number="14">Пенийн гӀорторийн лакхалла юьстича, иза кхузткъа дол яра. Ткъа ков кертан пенан гӀорторана тӀекхаччалц гонах догӀура.</verse>
				<verse number="15">Кевнан чуволучу меттигера ученна тӀехьа йолчу меттиге кхаччалц болу барам шовзткъе итт дол бара.</verse>
				<verse number="16">Кевнна чухула а, церан пенийн гӀорторашкахь а массанхьа а дӀакъевлина кораш дара. Иштта ученна чухула массанхьа а изза кораш дара. Ткъа пенан гӀорторана тӀехь диллина хурма-диттан суьрташ дара.</verse>
				<verse number="17">Цу стага со арахьарчу керта валийра. Цигахь суна чоьнаш гира. Ерриге а цу кертахула йиллина тӀулган цӀенкъа яра, уллохь ткъе итт чоь а йолуш.</verse>
				<verse number="18">И цӀенкъа кевнийн агӀонашкахь йина яра, цу кевнийн барамехь еха а яра. Иза лахара цӀенкъа яра.</verse>
				<verse number="19">ТӀаккха цу стага лахарчу кевнан чоьхьарчу меттигера чоьхьарчу кертан арахьарчу агӀор тӀе кхаччалц болу барам буьстира. Иза малхбалехьа а, къилбаседехьа а дӀаюьстича, цхьа бӀе дол хилира.</verse>
				<verse number="20">Цо дохалла а, шоралла а юьстира арахьарчу кертан къилбаседехьа арадолучу кевнан.</verse>
				<verse number="21">Цигахь а хӀора агӀонгахь кхоккха чоь яра, шен пенийн гӀортораш а, шен уче а йолуш. Оцу кевнан барам, хьалхарчу кевнан санна, дохалла шовзткъе итт дол, ткъа шоралла ткъе пхиъ дол яра.</verse>
				<verse number="22">Цуьнан кораш а, схьаеана меттигаш а, хурма-диттан суьрташ а, малхбалехьа долчу кевнан санна дара. Кевнна тӀе воьдуш болчу ламин ворхӀ тӀегӀа дара, ткъа уче цунна дуьххьал лаьтташ яра.</verse>
				<verse number="23">Чоьхьарчу кертан а ков дара. Иза къилбаседехьарчу кевнна дуьххьал лаьтташ дара, малхбалехьарчу кевнах тера а дара. Цу стага цхьана кевнна тӀера дуьххьал лаьтташ йолчу вукху кевнна тӀекхаччалц йолу меттиг юьстича, иза бӀе дол хилира.</verse>
				<verse number="24">ТӀаккха цо со къилбехьа дӀавигира. Цигахь суна къилбехьара ков гира. Цуьнан гӀорторан пенаш а, уче а цо юьстича, церан барам хьалхалерчийн санна бара.</verse>
				<verse number="25">Кевнна а, ученна а чухула массанхьа а кораш дара, хьалхалерчийн санна. Кевнан дохалла шовзткъе итт дол дара, ткъа шоралла — ткъе пхиъ.</verse>
				<verse number="26">Кевнна тӀе воьдуш болчу ламин ворхӀ тӀегӀа дара, ткъа уче цунна дуьххьал лаьтташ яра. Шинна а агӀор лаьтташ гӀорторан пенаш дара, шайна тӀехь палма олучу диттийн суьрташ а долуш.</verse>
				<verse number="27">Чоьхьарчу кертан къилбехьа йолчу меттехь а дара ков. Цхьана кевнна тӀера дуьйна вукху кевнна тӀе кхаччалц йолу меттиг бӀе дол яра.</verse>
				<verse number="28">Къилбехьарчу кевнехула чоьхьарчу керта тӀе валийра со цу стага. Цо къилбехьара ков а дуьстира. Цуьнан барам вукхеран санна хилира.</verse>
				<verse number="29">АгӀонгара чоьнаш а, гӀорторан пенаш а, ученаш а хьалхарчеран барамехь яра. Кевнна а, ученна а чухула массанхьа а кораш дара. Кевнан дохалла шовзткъе итт дол, шоралла ткъе пхиъ дол дара.</verse>
				<verse number="30">(Чоьхьарчу кертана чуйоьдуш йолчу ученийн барам, уьш юьстича, ткъе пхиъ дол яра, ткъа шоралла — пхи дол.)</verse>
				<verse number="31">Къилбехьарчу кевнан уче арахьарчу керта арайолуш яра, пенийн гӀорторашна тӀехь хурма-диттан суьрташ дара, ткъа кевнан ламин бархӀ тӀегӀа а дара.</verse>
				<verse number="32">Цо со чоьхьарчу керта тӀе воьдучу малхбалехьарчу кевне вигира. Цигара ков дуьстича, цуьнан хьалхалерчийн санна барам хилира.</verse>
				<verse number="33">Оцу кевнан агӀонгара чоьнаш а, гӀорторан пенаш а, уче а хьалхарчеран барамехь яра. Кевнна а, ученна а чухула массанхьа а кораш дара. Малхбалехьара ков дохалла шовзткъе итт дол дара, ткъа шоралла ткъе пхиъ дол яра.</verse>
				<verse number="34">Цуьнан уче арахьарчу керта арайолуш яра, шинна а агӀор пенийн гӀортораш яра, ткъа ламин бархӀ тӀегӀа а дара.</verse>
				<verse number="35">Цул тӀаьхьа цо со къилбаседехьарачу кевне валийра, иза дуста а дуьстира. Цуьнан барам хьалхалерчийн санна бара.</verse>
				<verse number="36">Оцу кевнан а агӀонгара чоьнаш а, гӀорторан пенаш а, уче а яра. Кевнна а, ученна а чухула массанхьа а кораш дара. Ков дохалла шовзткъе итт дол дара, ткъа шоралла — ткъе пхиъ дол.</verse>
				<verse number="37">Цуьнан уче арахьарчу керта арайолуш яра, шинна а агӀор пенийн гӀортораш яра, ткъа ламин бархӀ тӀегӀа а дара.</verse>
				<verse number="38">Цигахь цхьа чоь яра, кевнан пенийн гӀорторашна уллохула чувогӀийла а йолуш. Иза динан дайша дийнаташ дагоран сагӀина лерина долу хӀума дуьлуш йолу меттиг яра.</verse>
				<verse number="39">Кевнан ученна чохь шинна а агӀор лаьтташ шишша стол яра. Цу тӀехь дийнаташ дагоран сагӀина лерина долчу а, къиношна тӀера леринчу а, иштта гӀуда такхаран сагӀина лерина долчу а дийнаташна урс хьокхура.</verse>
				<verse number="40">Ученан арахьахула, къилбаседехьара долчу кевнна чуволучу меттехь лаьтташ шинна а агӀор шишша стол яра.</verse>
				<verse number="41">Йиъ стол кевнан арахьарчу агӀор яра, ткъа важа йиъ чоьхьарчу агӀор яра. Уьш ерриг а бархӀ стол яра, дийнаташ дайа лерина йолу.</verse>
				<verse number="42">Дийнаташ дагоран сагӀанашна лерина йолу йиъ стол хьаькхначу тӀулгах йина яра. Цуьнан йохалла а, шоралла а цхьа дол ахдол яра, ткъа лакхалла цхьа дол яра. Цу тӀехь динан дайша дийнаташ дагоран сагӀа а, кхидолу сагӀанаш а дохучу хенахь шайна оьшуш болу гӀирс охьабуьллура.</verse>
				<verse number="43">Гобаьккхина пенех дӀатоьхна куьйггал долу мӀерий дара, ткъа стоьлаш тӀе сагӀа доккхучу хенахь даьккхина долу жижиг дуьллура.</verse>
				<verse number="44">Чоьхьарчу кевнан арахьахула йина илланчашна лерина ши чоь яра. Цхьаъ къилбехьа йирзина яра, ткъа важа, къилбехьарчу кевнна агӀонгахь ерг, къилбаседехьа йирзина яра.</verse>
				<verse number="45">Цу стага соьга элира: «Къилбехьа йолу чоь Делан цӀенна ха деш болчу динан дайшна лерина ю.</verse>
				<verse number="46">Къилбаседехьа йирзина йолу чоь сагӀа доккхучу кхерчана ха деш болчу динан дайшна лерина ю. Уьш берриш а ЦӀадукъин тӀаьхьенах бу. Левихойн тайпанах болчарна юкъара церан бен бакъо яц Везачу Элана уллобаха, Цунна хьалха гӀуллакх дархьама».</verse>
				<verse number="47">Цо чоьхьара керт юьстира. Иза бӀе дол йохалла а, бӀе дол шоралла а яра, еакӀов а йолуш. Делан цӀенна хьалха лаьтташ сагӀа доккху кхерч а бара.</verse>
				<verse number="48">Цо со Делан цӀийнан уче йолчу схьавалийра. ТӀаккха цо массо а пенан гӀортор юьстира, уьш хӀорра а пхиппа дол яра. Ков дейтта дол шуьйра дара, ткъа пенан шоралла кхо дол яра.</verse>
				<verse number="49">Делан цӀийнан ученан шоралла ткъа дол яра, ткъа йохалла шийтта дол яра. Цунна тӀебоьдучу ламин итт тӀегӀа дара, хӀора шина пенан гӀорторна уллохь цхьацца бӀогӀам а бара лаьтташ.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="41">
				<verse number="1">Цул тӀаьхьа цо, со Делан цӀийнан езачу чоьнна чу а валийна, пенан гӀортораш юьстира. Церан хӀора а агӀонан шоралла ялх-ялх даларан барам хилира — иштта яра хӀора пенийн гӀорторийн шоралла.</verse>
				<verse number="2">Чуволу меттиг итт дол шуьйра яра, цуьнан шина агӀонгахь йолу пенийн гӀортораш пхиппа дол яра. Еза чоь йохалла шовзткъа дол яра, ткъа шоралла — ткъа дол яра.</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха, чухуларчу чоьнна чу а ваьлла, чуволучун пенийн гӀортораш юьстира цо. Церан хӀораннан а шоралла ши дол яра. Чуволучун шоралла ялх дол яра, ткъа цуьнан шина агӀонгахь йолу пенийн гӀортораш ворхӀ-ворхӀ дол яра.</verse>
				<verse number="4">Цул тӀаьхьа цо ерриг а чоь юьстира. Иза йохалла ткъа дол яра, оццул шуьйра а яра. Цу стага соьга элира: «ХӀара меттиг уггар еза чоь ю».</verse>
				<verse number="5">Цо Делан цӀийнан пен буьстича, иза ялх дол хилира, ткъа цу цӀийнан агӀонашкахь йолу чоьнаш юьстича, церан шоралла диъ дол хилира.</verse>
				<verse number="6">Делан цӀенна тӀехоьттина кхаа гӀота тӀехь агӀонгара чоьнаш ткъе итт-итт яра. Делан цӀенна гонах долчу оганна тӀехь терхеш яра, агӀонийн чоьнийн тӀеш царна тӀедахкархьама, и тӀеш Делан цӀийнан оганашна чу а ца диссош.</verse>
				<verse number="7">ХӀора лакхарчу гӀотан агӀор чоьнаш шорлуш яра, хӀунда аьлча Делан цӀенна гонах долу ога лаха мел дели шорлуш дара. Иштта, Делан цӀийнан шоралла цхьана гӀота тӀера вукху гӀота тӀе кхаччалц хийцалора. Лахарчу гӀота тӀера лакхарчу гӀота тӀе юккъерачу гӀота тӀе а волий, хьалавалалора.</verse>
				<verse number="8">Суна гира, дерриг а Делан цӀенна гонах хьалабоьттина бух бара. Иза агӀонашкахь йолчу чоьнашна лерина бара. Цуьнан локхалла цхьана гӀожан барамехь яра, ялх дол а йолуш.</verse>
				<verse number="9">ЦӀийнан агӀонашкара йолчу чоьнийн пенаш пхи дол шуьйра дара. Цу чоьнашна а,</verse>
				<verse number="10">Делан цӀенна гонах йолчу чоьнашна а юкъахь ткъа дол хиллал меттиг яра.</verse>
				<verse number="11">АгӀонгарчу чоьнашна чуволу меттигаш яьссачу меттигна тӀейоьдура. Чуволу цхьа меттиг къилбаседехьа яра, важа — къилбехьа яра. Пхеа даларна агӀорчу чоьнийн бух яьссачу меттигна чубогӀура, дерриг а Делан цӀенна гонах.</verse>
				<verse number="12">Малхбузехьа йолчу Делан цӀийнан майданна хьалха лаьтташ йолу гӀишло кхузткъе итт дол шуьйра яра. Цу гӀишлон пенан шоралла пхи дол яра, ткъа цуьнан йохалла дезткъе итт дол яра.</verse>
				<verse number="13">Цул тӀаьхьа цо Делан цӀа дуьстича, иза дохалла бӀе дол дара, ткъа шена тӀехь и гӀишло лаьтташ йолу малхбузера майда юьстича, цуьнан йохалла а бӀе дол яра.</verse>
				<verse number="14">Делан цӀенна хьалха малхбалера майда юьстича, иза а шоралла бӀе дол яра.</verse>
				<verse number="15">Делан цӀенна тӀехьа йолчу майданна дуьхьал лаьтташ йолчу гӀишлойн йохалла, цуьнан шина а агӀонгахь йолчу чоьнашца цхьаьна, юьстира цо. Иза а бӀе дол хилира. Делан цӀийнан йоккха чоь а, чухулара чоь а, уче а,</verse>
				<verse number="16">неӀсагӀанаш а, дӀакъевлина кораш а, кхаа гӀота тӀехь агӀонашкара чоьнаш а — неӀсагӀина дуьхьал мел йолу хӀума дечиган турсашца кхелина яра. И турсаш дара лаьтта тӀера корашна тӀе кхаччалц. Кораш а дӀакъевлина дара дечигаца.</verse>
				<verse number="17">Иштта, чухуларчу чоьнна чуволу меттигна тӀехула а дечиган турсаш дара. Гобаьккхина массо а пенаш тӀехь, чохь а, арахь а, билгалъяьхначу меттигашкахь,</verse>
				<verse number="18">каруб-маликийн а, хурма-диттийн а суьрташ дара дехкина. ХӀора хурма-дитт шина каруб-маликана юккъехь дара, хӀора каруб-маликан шишша юьхь яра.</verse>
				<verse number="19">Цхьана агӀонгара хурма-диттана тӀе йирзина адаман юьхь яра, ткъа вукху агӀонгара — лоьман юьхь яра. И тайпа суьрташ Делан цӀийнахь массанхьа а дехкина дара.</verse>
				<verse number="20">Лаьттара дуьйна чуволучунна тӀехула йолчу меттигна тӀе кхаччалц каруб-маликаш а, хурма-дитташ а дара. Уьш иштта Делан цӀийнан пенашна тӀехула дехкина а дара.</verse>
				<verse number="21">Делан цӀийнан йоккхачу чоьнна чуволучохь болу гур беакӀов бара. Уггар езачу чоьнна хьалха цхьа хӀума яра лаьтташ. ДӀахьаьжча,</verse>
				<verse number="22">иза дечигах бинчу сагӀа доккхучу кхерчах тера яра. И кхерч кхо дол лекха а, ши дол шуьйра а бара. Цуьнан маьӀигаш а, бух а, агӀонаш а дечигах йина яра. Цу стага соьга элира: «ХӀара Везачу Элана хьалха лаьтташ йолу стол ю».</verse>
				<verse number="23">Делан цӀийнан йоккхачу чоьнан а, уггар езачу чоьнан а шишша неӀ яра.</verse>
				<verse number="24">И неӀарш шишша дакъа долуш яра, хӀора дакъа меттахдаккха йиш йолуш дара. Шиъ цхьана агӀор, ткъа важа шиъ — вукху агӀор.</verse>
				<verse number="25">Делан цӀийнан йоккхачу чоьнан неӀарш тӀехь дехкина, пенаш тӀехь дерш санна долу, каруб-маликийн а, хурма-диттийн а суьрташ дара. Ткъа ученна хьалха дечигах йина лаба яра.</verse>
				<verse number="26">ДӀакъевлина кораш а, дехкина хурма-диттийн суьрташ а дара шинна а агӀор — ученан а, агӀонашкарчу чоьнийн а, лабанийн а агӀонашкахь.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="42">
				<verse number="1">Къилбаседехьарчу некъа тӀехула арахьарчу керта а ваьккхина, цу гӀишлонна а, цунна дуьхьал йолчу майданна а хьалха къилбаседехьа йолчу чоьнашна тӀе вигира цо со.</verse>
				<verse number="2">И чоьнаш йохалла бӀе дол яра, ткъа шоралла шовзткъе итт дол яра, къилбаседехьа чуволу меттиг а йолуш.</verse>
				<verse number="3">Чоьхьарчу кертан ткъа дол шораллехь долчу меттигна хьалха а, арахьарчу кертан цӀенкъанна хьалха а лаьтташ яра и чоьнаш. Чоьнийн цхьа могӀа вукху могӀанна дуьхьал бара, кхоккха гӀотахь а болуш.</verse>
				<verse number="4">Цу чоьнашна хьалха цхьа чекхволийла яра итт дол шуьйра а йолуш, бӀе дол еха а йолуш. Цу чоьнан неӀарш къилбаседехьа йирзина яра.</verse>
				<verse number="5">Лакха тӀера чоьнаш готта яра, хӀунда аьлча ученаша дӀалаьцна йолу меттиг йоккхаха яра, юккъерачу а, лахарчу а чоьнех цара дӀалаьцначул а.</verse>
				<verse number="6">Чоьнаш кхаа гӀотехь лаьтташ яра. Керташкахь санна, царна хӀиттийна бӀогӀамаш дацара. Цундела лакхара чоьнаш готто яра юккъерачу а, лахарчу а могӀанашкахь йолчу чоьнел.</verse>
				<verse number="7">Арахьара цхьа пен цу чоьнашца нийсса бина а, арахьарчу керта тӀе кхочуш а бара. И пен шовзткъе итт дол беха бара.</verse>
				<verse number="8">Арахьарчу кертара чоьнийн могӀаран йохалла шовзткъе итт дол яра, ткъа Делан цӀенна дуьхьал болу чоьнийн могӀа бӀе дол бара.</verse>
				<verse number="9">Лаха чохь цу чоьнашна чувоьду неӀ яра. Арахьарчу кертахула чувогӀуш хилча малхбалехьара чувогӀийла дара.</verse>
				<verse number="10">Кертарчу пенан шораллехь, къилбехьа, майданна дуьхьал а, йоккхачу гӀишлонна дуьхьал а яра чоьнаш.</verse>
				<verse number="11">Царна хьалха а чекхволийла яра. Уьш къилбаседехьа йирзина йолу важа чоьнаш санна яра, церан санна йохалла а, иштта шоралла а йолуш. Къилбаседехьа йолчу чоьнийн чувогӀийла а, куц а, неӀарш а</verse>
				<verse number="12">къилбехьа йолчу чоьнийн санна яра. Чекхволийла дӀайолалучу меттехь чувоьдийла яра. Малхбалерчу лардаран пенехула чуван йиш яра.</verse>
				<verse number="13">Цо соьга элира: «Майданна хьалхара къилбаседехьара а, къилбехьара а чоьнаш еза ю. Цу чохь Везачу Элана сагӀанаш дохучу динан дайша уггар деза сагӀанаш доу. Цу чу цара уггар деза сагӀанаш — кӀен сагӀа а, къинан сагӀа а, гӀуда такхаран сагӀа а — хӀиттор ду, иза еза меттиг йолу дела.</verse>
				<verse number="14">Динан дай цу чу бахча, церан арахьарчу керта бовла йиш яц, шайна тӀера Далла гӀуллакх дечу хенахь лелош йолу бедарш охьаяхккалц, хӀунда аьлча и бедарш а еза ю. Цара шайна тӀе кхин бедарш юха еза, ткъа цул тӀаьхьа бен халкъ долчу арабовла йиш яц церан».</verse>
				<verse number="15">Ша Делан цӀийнан керташкара чоьхьара юьстина ваьлча, цо со малхбалехьа лаьттачу кевнехула аравалийра, цул тӀаьхьа иза Делан цӀийнан кертал арахьара меттиг юста волавелира.</verse>
				<verse number="16">Малхбалехьа йолу агӀо цо шен гӀожаца юьстира. И агӀо пхи бӀе дол хилира.</verse>
				<verse number="17">Цо иштта къилбаседехьа йолу меттиг а юьстира, иза а пхи бӀе дол хилира.</verse>
				<verse number="18">Къилбехьара агӀо юьстича, иза а пхи бӀе дол хилира.</verse>
				<verse number="19">Малхбузерчу агӀонга а вахана, иза а цо юьстича, иза а пхи бӀе дол хилира.</verse>
				<verse number="20">Иштта Делан цӀийнан керташна гонах болу пен цо еа а агӀонгара буьстинера. И пен бохалла а пхи бӀе дол бара, иштта пхи бӀе дол шоралла а бара иза. Цу пено еза меттиг еза йоцучу меттигах дӀакъастайора.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="43">
				<verse number="1">Цу стага со малхбалехьа дӀадерзийна лаьтташ долчу кевнна тӀе вигира.</verse>
				<verse number="2">ТӀаккха малхбалехьара схьайогӀуш Исраилан халкъан Делан сийлалла гира суна. Цуьнан аз, хӀордан гӀовгӀа санна, чӀогӀа дара, Цуьнан сийлаллин нуьрах латта серладаьллера.</verse>
				<verse number="3">Суна хӀоьттина долу сурт, хьалха, Дела Ярушалайм хӀаллакьярхьама веанчу хенахь Суна хӀоьттинчу суьртах тера дара, иштта Кабар-хина уллохь Суна хӀоьттинчу суьртех тера а дара. ТӀаккха со бертал вуьйжира.</verse>
				<verse number="4">Везачу Элан сийлалла малхбалехьа дӀадерзийна лаьттачу кевнехула Делан цӀа чу делира.</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха со, Сино хьала а айина, чоьхьарчу керта ваьккхира. Суна гира, Везачу Элан сийлалло дерриг а Делан цӀа хьаладуьзна хилар.</verse>
				<verse number="6">Стаг суна уллохь лаьтташ волчу хенахь, Делан цӀа чуьра суна цхьаъ сайга вистхуьлуш хезира.</verse>
				<verse number="7">Оцу озо соьга элира: «Адаман кӀант! ХӀара меттиг Сан Ӏаршан меттиг а, иштта Сан когийн кӀело лаьтта меттиг а ю. Со Сайн Исраилан халкъана юкъахь массо а ханна вехар волу меттиг ю хӀара. Исраилан халкъо — я наха а, я церан паччахьаша а — кхин цкъа а Сан еза цӀе бехйийр яц, Суна тешаме а доцуш, кхечу деланашна Ӏамал ярца а, шайн сагӀа доккхучу гунашна тӀехь шайн паччахьийн декъий дӀадохкарца а.</verse>
				<verse number="8">Цара шайн неӀсагӀа Сан неӀсагӀина улло хӀиттадора, иштта шайн неӀарш Сан неӀаршна улло хӀиттайора. Тхуна юкъахь цхьа пен бен боццушехь, цара Сан еза цӀе сийсазйохура шаьш лелочу вочу хӀуманашца. Цундела Сайн оьгӀазвахарца дӀакхаьллира Аса уьш.</verse>
				<verse number="9">ХӀинца цара Суна уллора дӀадаккха деза, Суна тешаме а боцуш, шаьш кхечу деланашна Ӏамал яр а, шайн паччахьийн декъий а, тӀаккха Со царна юкъахь массо а хенахь вехар ву.</verse>
				<verse number="10">Ткъа хӀинца ахьа, адаман кӀант, Исраилан халкъе дӀадийца хӀокху Делан цӀийнах лаьцна, шаьш лелийначу харцонашна уьш юьхьӀаьржачу а хӀиттийна, цаьрга кхунна тӀера бустамаш дахийтархьама.</verse>
				<verse number="11">Царна шаьш лелийнарг бахьана долуш эхь хетахь, дӀагайта царна Делан цӀа, хӀара муха дина ду а, кхуьнан чуволу а, араволу а меттигаш а дӀагайта царна. ХӀара муха дина ду а, кхуьнан массо а парзаш а, кхуьнан куц а, кхунна лелаш болу товрат-хьехамаш а дӀабийца царна. Церан дуьхьа дерриг а дӀаязде, цаьрга цуьнан массо а куц лардайтархьама а, цуьнан массо а парзаш кхочушдайтархьама а.</verse>
				<verse number="12">ХӀара бу Делан цӀийнан товрат-хьехам: ломан боххьера цунна гонах мел дерг а — уггаре дезаниг ду. Иштта бу Делан цӀийнан товрат-хьехам!»</verse>
				<verse number="13">ХӀорш бу сагӀа доккхучу кхерчан барамаш, цхьа шира доллий, цхьа шей цхьана даларан барам лерича. Кхерчана гонах саьнгар цхьа дол кӀорга яра, шоралла а цхьа дол яра. Саьнгарна арахула хӀоз бара, лакхалла цхьа ше а йолуш. Иштта бара сагӀа доккхучу кхерчан бух.</verse>
				<verse number="14">Лаьтта тӀехь болчу саьнгаран буха тӀера дуьйна лахарчу кхерчан хӀазарна тӀе кхаччалц йолу юкъ ши дол яра. Оцу хӀазаран шоралла цхьа дол яра. Лахарчу хӀазарна тӀера кхерчан лакхарчу хӀазарна тӀе кхаччалц йолу юкъ йиъ дол яра, ткъа оцу хӀазаран шоралла а цхьа дол яра.</verse>
				<verse number="15">СагӀа доккхучу кхерчан юкъ ша диъ дол лекха яра, цу чуьра хьалайолуш йиъ маӀа яра.</verse>
				<verse number="16">СагӀа доккхучу кхерчан юкъ шийтта дол еха а, шийтта дол шуьйра а яра — иза ша еакӀов яра.</verse>
				<verse number="17">Кхерч тӀехь лаьттачу меттиган йохалла дейтта дол яра, иштта цуьнан шоралла а дейтта дол яра. Ткъа цунна гонах хӀоз бара, ахдол лекха а болуш, ткъа хӀазарна гонах йолу саьнгар цхьа дол шуьйра яра. Цу кхерчана тӀе боьду лами малхбалехьарчу агӀор бара.</verse>
				<verse number="18">Цу стага соьга элира: «Адаман кӀант! Иштта боху Хьалдолчу Эло: „Иштта ду дийнаташ дагоран сагӀа даккхарна а, цунна тӀе цӀийн цинцаш тохарна а лерина долу сагӀа доккхучу кхерчана а лерина долу парзаш, иза бина баьлча.</verse>
				<verse number="19">Ткъа ахьа, — боху Хьалдолчу Эло, — Суна гӀуллакх а деш, Суна тӀегӀерташ болчу, ЦӀадукъин тӀаьхьенах болчу, иштта левихойн тайпанах болчу динан дайшна къиношна тӀера сагӀа даккха цхьа сту дӀало.</verse>
				<verse number="20">Цунах схьадаьллачу цӀийх цхьажимма сагӀа доккхучу кхерчан еа маӀана тӀе а, иштта цуьнан беа соне а, цунна гонах болчу хӀазарна тӀе а хьакха. Иштта, цӀан а бай, базбе иза.</verse>
				<verse number="21">Къинойх долчу сагӀина лерина старгӀа схьа а эций, ягае иза ха долчу меттигехь, Делан цӀенна арахь.</verse>
				<verse number="22">ШолгӀачу дийнахь, тӀехь цхьа а сакхт доцу бож гезаршна юкъара схьа а эций, къинойх долу сагӀа даккха цунах хьалха санна, сагӀа доккху кхерч цӀанбе, стараца ма-цӀанбарра.</verse>
				<verse number="23">Хьо и хӀума дина ваьлча, бежана юкъара цхьа а тӀехь сакхт доцу старгӀа а, иштта жена юкъара тӀехь сакхт доцу уьстагӀ а схьабалабе.</verse>
				<verse number="24">И дийнаташ Везачу Элана хьалха дӀахӀиттаде. Динан дайша, царна тӀе туьха а тесна, царах Везачу Элана дийнаташ дагоран сагӀа доккхур ду.</verse>
				<verse number="25">ВорхӀ дийнахь къинойх долу сагӀа даккха цхьацца бож ялае. Иштта бежана юкъара тӀехь сакхт доцу цхьацца старгӀа а, иштта жена юкъара цхьа а сакхт тӀехь доцу уьстагӀ а балабе.</verse>
				<verse number="26">ВорхӀ дийнахь цара сагӀа доккху кхерч оцу тайпана цӀанбан беза, иза баз а беш.</verse>
				<verse number="27">И денош чекхдевллачул тӀаьхьа, борхӀалгӀачу дийнахь, иштта кхин а тӀаьхьарчу деношкахь а динан дайша цу сагӀа доккхучу кхерчана тӀехь дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш а дохур ду шуна тӀера. Ткъа Со шуна реза хир ву“». Иштта боху Хьалдолчу Эло.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="44">
				<verse number="1">Цо со юха а езачу меттиган малхбалехьа дӀадерзийна динчу арахьарчу кевне схьавалийра. И ков дӀакъевлина дара.</verse>
				<verse number="2">Везачу Эло соьга элира: «ХӀара ков дӀакъевлина хир ду, иза дӀадоьллур дац, кху чухула цхьа а стаг чекх а вер вац, хӀунда аьлча хӀокху кевнехула Исраилан халкъан Дела волу Веза Эла кху чу веана.</verse>
				<verse number="3">Ткъа элах лаьцна аьлча, цо, ша эла хиларе терра, цу кевнна хьалха охьа а хууш, Цунна хьалха бепиг дуур ду. Иза цу кевнан ученна чухула чу а вогӀур ву, цигахула ара а вер ву».</verse>
				<verse number="4">Цул тӀаьхьа цо со къилбаседехьа долчу кевнехула Делан цӀенна хьалха схьавалийра. Со дӀахьаьжча, Делан цӀа хьаладуьзна долу Везачу Элан сийлалла гира суна. ТӀаккха со бертал вуьйжира.</verse>
				<verse number="5">Везачу Эло соьга элира: «Адаман кӀант! Хьайн дог тӀе а дерзадай, хьайн бӀаьргашца хьажа а хьажа, хьайн лергашца ла а догӀа Ас Делан цӀийнан керташна лерина мел долчу парзех а, товрат-хьехамех а лаьцна хьайга бохучуьнга. Дикка хьажа Делан цӀенна чуволийле а, иштта езачу меттиган араволийлашка а.</verse>
				<verse number="6">ДӀаала аьрхачу Исраилан халкъе: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Тоьар ду хьуна, Исраилан халкъ, айхьа схьалаьцна болу дегаза некъ лело.</verse>
				<verse number="7">Аша Сан цӀийнан керта чу хийрачу къаьмнех болу нах балийра. Иштта сунтбаза а, дегнаш хедоза а болчу аьрхачу наха а, Сан цӀенна улло а кхаьчна, иза бехдина, Суна тӀе сагӀанийн мохь а, цӀий а деача. Шаьш мел динчу дегазчу гӀуллакхашца Соьца бина болу барт бохийра аша.</verse>
				<verse number="8">Аша Сан деза парзаш лар ца дора, шайн метта Сан цӀа лардан уьш дӀа а хӀиттабеш’.</verse>
				<verse number="9">Хьалдолчу Эло боху: ‘Цхьа а сунтваза волу а, дог хедоза аьрха волу а хийра стаг Сан цӀа чу ван ца веза, иза Исраилан халкъана юкъахь вехаш велахь а.</verse>
				<verse number="10">Ткъа левихойх лаьцна аьлча, Исраилан халкъ туьлучу хенахь уьш а, Суна уллора дӀа а бевлла, шайн цӀушна тӀаьхьа а хӀуьттуш, тилабелира. Шаьш лелийнарг бахьана долуш царна таӀзар дийр ду.</verse>
				<verse number="11">Левихой Сан цӀийнан кертахь хир бу езачу меттиган кевнаш лардархьама а, кертахь гӀуллакх дархьама а. Цара дийнаташ дагоран сагӀанашна а, кхидолчу сагӀанашна а лерина долу дийнаташ дойур ду адамашна. Цара адамашна гӀо а дийр ду, царна гӀуллакх а дийр ду.</verse>
				<verse number="12">Амма шайн цӀушна хьалха адамашна гӀуллакх дарехула левихоша Исраилан халкъ гал а далийтира, цуьнга къинош а летадайтира. Цундела Аса хьалаайинчу куьйгаца чӀагӀо йира, — боху Хьалдолчу Эло, — шаьш лелийнарг бахьана долуш царна таӀзар дийр ду аьлла.</verse>
				<verse number="13">Динан дай санна Суна гӀуллакх дан уьш Суна улло богӀур бац, иштта тӀекхевдар бац еза мел йолчу хӀуманашна — уггар дезачу сагӀанашна. Шаьш мел лелийна долу боьха хӀума бахьана долуш юьхьӀаьржачу хӀиттина лелар бу уьш.</verse>
				<verse number="14">Ас уьш хӀиттор бу Делан цӀа лардан а, цӀийнан керташкахь дан дезаш мел долу хӀума дан а.</verse>
				<verse number="15">Ткъа левихойн тайпанах долчу ЦӀадукъин гаранах болу динан дай, Исраилан халкъ Сох дӀадирзинчу хенахь Сан еза меттиг ларъеш болу, Суна улло кхача безаш бу, Суна хьалха гӀуллакх дархьама. Уьш Суна хьалха лаьтташ хир бу, Суна сагӀанийн мохь а, цӀий а доккхуш’. Иштта боху Хьалдолчу Эло.</verse>
				<verse number="16">‘Уьш бен чубогӀур бац Сан езачу меттиге, Сан шуьнна улло а богӀур бу, Суна гӀуллакх дархьама а, ха дархьама а.</verse>
				<verse number="17">Чоьхьарчу кертан кевнна чу баьхкича, цара шайна тӀе дуткъачу кӀадих йина хӀуманаш юхур ю, ткъа чоьхьарчу кертан кевнна уллохь а, иштта Делан цӀа чохь а гӀуллакх дечу хенахь царна тӀехь тӀергӀан хӀума хила йиш яц.</verse>
				<verse number="18">Церан коьртахь дуткъачу кӀадих йина чалбанаш хила еза, иштта церан чухулара хӀуманаш а дуткъачу кӀадих йина хила еза. Шайна тӀе хьацар долуьйту хӀума юха ца еза цара.</verse>
				<verse number="19">Адамаш долчу арахьарчу керта шаьш довла дезачу хенахь, цара чохь гӀуллакх дечу хенахь шайна тӀехь хуьлуш йолу бедарш дӀа а яьхна, уьш езачу чоьнаш чохь йита еза. Цул тӀаьхьа цара шайна тӀе кхин хӀума юха еза, шайн бедарех хьакхабаларца адамашна тӀе йозалла ца йоссийта.</verse>
				<verse number="20">Цара шайн кортош дӀадаша ца деза, иштта шайн коьртахь месаш яхъялийта а ца еза, амма шайн месаш дӀаларга еза цара.</verse>
				<verse number="21">Шаьш чоьхьарчу керта доьлхучу хенахь, цхьанна а динан дас чагӀар мала ца деза.</verse>
				<verse number="22">Цара я йисина йолу зуда а, я марера цӀа еана йолу зуда а шайна маре яло ца еза. Амма Исраилан халкъах йолу йоӀстаг я динан дех йисинарг яло магош ду царна.</verse>
				<verse number="23">Цара Ӏамо деза Сан халкъана дезаниг деза доцучух къасто а, иштта Суна хьалха цӀенаниг боьхачух схьакъасто а.</verse>
				<verse number="24">Дов даьллачу хенахь динан дай цигахь кхелахой санна хила беза, ткъа Сан нийсоне хьаьжжина кхел ян а еза цара. Билгалдаьхначу динан массо а дезачу деношкахь Сан товрат-хьехамаш а, парзаш а лардан деза цара, иштта Суна леринчу шоьтан денойн дозалла а лардан деза цара.</verse>
				<verse number="25">Уьш беллачарах дӀахьакхабала ца беза, шаьш Суна хьалха боьха ца хилийтархьама. Царна юкъахь да я нана, кӀант я йоӀ, иштта ваша я маре яхаза йолу йиша елахь, царах дӀахьакхавала мегаш ду.</verse>
				<verse number="26">Динан да Далла хьалха цӀанвинчул тӀаьхьа, цо кхин а ворхӀ дийнахь собар дан деза.</verse>
				<verse number="27">Делан цӀийнан чоьхьарчу кертахь гӀуллакх дан ша кхин а цига ваханчу дийнахь шена тӀера цо къинан сагӀа даккха деза’. Иштта боху Хьалдолчу Эло.</verse>
				<verse number="28">‘Левихошна шерет дийр ду: Со церан шерет хир ду. Исраил-махкахь церан лаьттан дакъа хир дац, церан долахь Со хир волу дела.</verse>
				<verse number="29">Царна даа кӀен сагӀанаш а, иштта къинан сагӀанаш а, гӀуда такхаран сагӀанаш а лур ду. Исраил-махкахь Суна лерина мел йолу хӀума церан долахь хир ю.</verse>
				<verse number="30">Дуьххьара схьа мел гулдинчу ялтех тоьлла дакъа а, массо а тайпана Суна лерина долу совгӀаташ а кхочу динан дайшна. Шайн ялтех даьккхинчу дуьххьарлерчу бедах а тоьлла дакъа де динан дайшна, шайн хӀусамаш декъалйина хилийтархьама.</verse>
				<verse number="31">Цхьа а тайпа къеелла хӀума а, акхароша йийначу хӀуманах я олхазарийн а, я дийнатийн а жижиг даа йиш яц динан дайн’“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="45">
				<verse number="1">«Шаьш, кхаж а тесна, латта доькъучу хенахь, лаьттан еза кӀошт Везачу Элана совгӀатна дӀакъастае. Иза йохалла ткъе пхиъ эзар дол, ткъа шоралла ткъа эзар дол хила еза. Цуьнан гонахарчу дозанна чоьхьара дерриге а латта деза хир ду.</verse>
				<verse number="2">Оцу лаьттах пхи бӀе дол дохаллехь а, иштта пхи бӀе дол шораллехь а долу еакӀов латта шена тӀехь Делан цӀа долуш йолчу езачу меттигна лерина хила деза, ткъа цунна гонах шовзткъе итт дол шена тӀехь хӀумма а йоцуш йолу аре а хила еза.</verse>
				<verse number="3">Ткъа лаьттан езачу кӀошта тӀера ткъе пхиъ эзар дол йохаллехьа а, итт эзар дол шораллехьа а латта схьакъастаде. ТӀехь Делан цӀа долу уггар езачу меттигна лерина хир ду иза.</verse>
				<verse number="4">И даздина латта хир ду, Делан цӀа чохь гӀуллакх деш болчу а, Далла гӀуллакх дан Цунна тӀе богӀуш болчу а динан дайн. Цу лаьтта тӀехь цара шайна цӀенош дийр ду, иштта Делан цӀенна лерина йолу еза меттиг а хир ю цигахь.</verse>
				<verse number="5">Ткъе пхи эзар дол йохаллехь а, итт эзар дол шораллехь а долу лаьттан дакъа Делан цӀийнан керташкахь болх беш болчу левихойн долахь хир ду. Церан цигахь шаьш Ӏаш йолу гӀаланаш хир ю.</verse>
				<verse number="6">ГӀалин дола даккха пхи эзар дол шуьйра а, ткъе пхи эзар дол деха а долу лаьттан дакъа. Иза лаьттан езачу кӀоштана дуьххьал хила деза. И латта дерриг а Исраилан халкъан долахь хила деза.</verse>
				<verse number="7">Элана дӀало лаьттан езачу кӀоштана а, иштта гӀалин дола яьккхинчу меттигна а шинна а агӀор долу латта. И латта гӀалин малхбузерчу дозанна тӀера малхбузехьа а, гӀалин малхбалерчу дозанна тӀера малхбалехьа а дӀасадаьржар ду. Элан лаьттан дохалла малхбузерчу дозанна тӀера малхбалерчу дозанна тӀекхаччалц Исраилан тайпанийн дакъойн дохалле хьаьжжина хир ду.</verse>
				<verse number="8">И латта Исраил-махкахь элан долахь дерг хир ду». «Сан халкъана кхин гӀело йийр яц Сан элаша, амма цара Исраилан халкъана пурба лур ду, шен тайпанашка хьаьжжина, латта шайн дола даккха».</verse>
				<verse number="9">Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Тоьар ду шуна, Исраилан халкъан элий! Нахана ницкъ бар а, царна гӀело яр а сацаде. Цуьнан метта бакъдерг а, нийсо а лелае. Сан халкъ шен лаьтта тӀера арадаккха ма гӀерта». Иштта боху Хьалдолчу Эло.</verse>
				<verse number="10">«Нийса хуьлийла шун терза а, шун мазал а, шун черма а.</verse>
				<verse number="11">Екъа хӀума узуш лелош болу мазал а, коча хӀума узуш лелош долу черма а цхьана барамехь хила деза. Цхьа мазал хьумаран уьтталгӀа дакъа хила деза, ткъа цхьа черма а хьумаран уьтталгӀа дакъа. Церан барам хьумарца буста беза.</verse>
				<verse number="12">ХӀора шекхал чохь ткъа гер хуьлу, ткъа цхьана мин чохь ткъа, ткъе пхиъ, пхийтта шекхал хуьлу.</verse>
				<verse number="13">ХӀара ял ю аша шайн элана яла езаш: хӀора кӀен я мекхан хьумар тӀера мазалан йолхалгӀа дакъа.</verse>
				<verse number="14">Зайтдаьттанна тӀера дӀаяла езаш йолу ял, черманца узуш йолу: хӀора зайтдаьттан хьумар тӀера черманан уьтталгӀа дакъа (итт черма цхьа хьумар ду).</verse>
				<verse number="15">Исраил-мехкан дикачу дежийлашна тӀехь долчу даьхнина тӀера дӀаяла езаш йолу ял иштта ю: хӀора ши бӀе уьстагӀна юкъара цхьацца уьстагӀ. И массо а ял кӀен сагӀанашна а, дийнаташ дагоран сагӀанашна а, бертан сагӀанашна а лерина ю, адамашна тӀера къинош дӀадахархьама». Иштта боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="16">«Махкахь Ӏаш волу хӀора стаг декхарийлахь ву Исраил-мехкан элана луш йолчу оцу йолана дакъалаца.</verse>
				<verse number="17">Ткъа эла декхарийлахь ву дезачу деношкахь а, бутт цӀинлучу хенахь а, шоьтан деношкахь а — Исраилан халкъан динан массо а дезачу деношкахь — дохуш долчу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанашна хӀуманаш а, даьхни а дӀадала. Цо даьхни а, хӀуманаш а лур ю къинойх долчу а, кӀен а, дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанашна, Исраилан халкъана тӀера къинош дӀадахийтархьама».</verse>
				<verse number="18">Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь бежана юкъара тӀехь сакхт доцу старгӀа схьаэца, Делан цӀийнан керт цӀанъярхьама.</verse>
				<verse number="19">Динан дас оцу къиношна тӀерачу сагӀанах схьадаьлла цӀий схьа а эцна, иза Делан цӀийнан неӀсагӀанашна а, иштта сагӀа доккхучу кхерчан лакхарчу хӀазаран еа маьӀигна а, чоьхьарчу кертан кевнан неӀсагӀина а тӀетоха деза.</verse>
				<verse number="20">Изза де беттан ворхӀалгӀачу дийнахь хӀора ларамаза я кхетам ца хиларца къа латийначу стеган дуьхьа. Иштта цӀандан деза аша Делан цӀа.</verse>
				<verse number="21">Хьалхарчу беттан дейтталгӀачу дийнахь аша „Пасахь“ олу дезде даздан деза. И дезде ворхӀ дийнахь даздеш ду, совсазчу бедах дина бепиг а дууш.</verse>
				<verse number="22">Хьалхарчу дийнахь эло сту бахьар бу, шен цӀарах а, иштта дерриг а Исраилан халкъан цӀарах а къинан сагӀина лерина.</verse>
				<verse number="23">Цу ворхӀ дийнахь Везачу Элана доккхуш долчу дийнаташ дагоран сагӀина цо хӀора дийнахь тӀехь цхьа а сакхт доцу ворхӀ-ворхӀ старгӀа а, ворхӀ-ворхӀ уьстагӀ а дӀабала беза, иштта къинойх доккхуш долчу сагӀина хӀора дийнахь гезаршна юкъара цхьацца бож а дӀаяла еза.</verse>
				<verse number="24">Эло хӀора стараца а, иштта хӀора уьстагӀца а кӀен сагӀина цхьацца мазал кӀа дан деза. Цо иштта хӀора ша деанчу кӀен мазалца цхьацца хӀин зайтдаьтта а дан деза.</verse>
				<verse number="25">ВорхӀалгӀачу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь, дезде даздечу хенахь, тӀекӀел ворхӀ дийнахь цо изза хӀуманаш дӀаяла еза къинойх сагӀанашна а, дийнаташ дагоран сагӀанашна а, кӀен сагӀанашна а лерина. Цо иштта оццу барамехь зайтдаьтта а схьадан деза».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="46">
				<verse number="1">Хьалдолчу Эло иштта боху: «Чоьхьарчу кертан малхбалехьа долу ков болх бечу ялх дийнахь дӀакъевлина хила деза, амма шоьтан дийнахь иза, бутт цӀинлучу дийнахь санна, дӀадиллина хила деза.</verse>
				<verse number="2">Эла, арахьарчу кертахула чухуларчу кевнан ученна чу а веана, оцу кевнан неӀарна улло дӀахӀуттур ву, ткъа динан дайша элан дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш дохур ду. Эла, кевнан неӀ йолчохь Везачу Элана охьа а таьӀна, аравер ву, ткъа ков сарралц схьадиллина хила деза.</verse>
				<verse number="3">Шоьтан деношкахь а, иштта бутт цӀинлучу хенахь а кху мехкан халкъ хӀокху кевнна уллохь Везачу Элана суждане гӀур ду.</verse>
				<verse number="4">Шоьтан дийнахь ша Везачу Элана лерина доккхуьйтуш долчу дийнаташ дагоран сагӀина эло бан беза шайна тӀехь сакхт доцу ялх Ӏахар а, цхьа уьстагӀ а.</verse>
				<verse number="5">Иштта хӀора уьстагӀца кӀен сагӀина цхьацца мазал кӀа а дан деза, ткъа хӀора Ӏахарца кхин а шен дан йиш йолччул кӀа а дан деза, цу тӀе хӀора мазал кӀеца цхьа хӀин зайтдаьтта а дан деза.</verse>
				<verse number="6">Бутт цӀинлучу хьалхарчу дийнахь цо тӀехь цхьа а сакхт доцу старгӀа а, иштта тӀехь сакхт доцу ялх Ӏахар а бан беза.</verse>
				<verse number="7">Цо старгӀица а, уьстагӀца а цхьаьна цхьа мазал кӀа дала деза кӀен сагӀина лерина. Ӏахаршца шен дала таро йолччул кӀа а дала деза цо, кхин а хӀора кӀен мазалца цхьа хӀин зайтдаьтта а дала деза.</verse>
				<verse number="8">Ша кхуза вогӀучу хенахь, иза кевнан ученна чухула чувала а веза, цигахула аравала а веза.</verse>
				<verse number="9">Динан дезачу деношкахь, адам Везачу Элана хьалха дӀахӀуттучу хенахь, къилбаседехьа долчу арахьарчу кевнехула чуваьлларг, къилбехьа долчу арахьарчу кевнехула аравала веза. Ткъа къилбехьа долчу кевнехула чувеанарг, къилбаседехьа долчу кевнехула аравала а веза; хӀорра а стаг ша чувеанчу меттехула аравала ца веза, амма цунна дуьххьал долчу кевнехула аравала веза.</verse>
				<verse number="10">Эла а царна юкъахь хила веза — уьш чубогӀучу хенахь чуван веза, уьш арабовлучу хенахь аравала а веза.</verse>
				<verse number="11">Билгалдаьхначу дезачу деношкахь а, динан дезачу деношкахь а цуьнгара хӀора стараца а, хӀора уьстагӀца а цхьацца мазал кӀа дан деза, ткъа Ӏахаршна тӀера шен дог реза доллучул кӀа дала деза цо. ХӀора мазал кӀа дахьаш, цуьнца цхьа хӀин зайтдаьтта дан а деза.</verse>
				<verse number="12">Элана шен лаамца Везачу Элана сагӀа даккхийта лиъча, — дийнаташ дагоран я бертан сагӀа иза делахь а, — цунна малхбалехьа долу ков схьаделла деза. ТӀаккха цо, шена даккхийта лиъна долу сагӀа, шоьтан дийнахь санна доккхуьйтур ду. Иза араваьллачул тӀаьхьа цунна тӀаьхьа ков дӀакъовлур ду.</verse>
				<verse number="13">ХӀора дийнахь Везачу Элана лерина долчу дийнаташ дагоран сагӀина хӀора Ӏуьйранна шо кхаьчна болу тӀехь сакхт доцу цхьацца Ӏахар бан беза ахьа.</verse>
				<verse number="14">Цуьнца цхьаьна хӀора Ӏуьйранна цхьацца сахь кӀа а, иштта хӀинан кхоалгӀа дакъа зайтдаьтта а дан деза, цуьнца дама хьакхорхьама. Иштта ду кӀен сагӀанах лаьцна массо а ханна тӀедиллинарг.</verse>
				<verse number="15">Цара иштта массо а ханна хӀора Ӏуьйранна дийнаташ дагоран сагӀа санна цхьацца Ӏахар а, кӀен сагӀа а, зайтдаьтта а дахьар ду».</verse>
				<verse number="16">Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Нагахь санна эло шен кӀентех цхьанна шен долахь долчу лаьттах цхьа дакъа совгӀатна дахь, иза цу кӀентан тӀаьхьенна кхочур ду. Иза церан долахь, доьзалан дакъа санна, хир ду.</verse>
				<verse number="17">Нагахь эло шен долахь долчу лаьттах шен ялхойх цхьанна совгӀат дахь, и латта ялхочун долахь хир ду ПаргӀатдаккхаран шо тӀекхаччалц, цул тӀаьхьа лаьттан и дакъа элан дола дер ду. Цуьнан кӀенташна бен ца кхочу шен лаьттах цо дина долу совгӀат.</verse>
				<verse number="18">Элан бакъо яц нахера латта схьадаккха а, уьш цу лаьтта тӀера дӀалахка а. Шен долахь долу латта бен дала йиш яц цуьнан шен кӀенташна совгӀатна, хӀунда аьлча Сан халкъах волу цхьа а стаг шен долахь долчу лаьтта тӀера дӀалалла бакъо яц цхьаннан а».</verse>
				<verse number="19">ТӀаккха цу стага со кевнна агӀонгахь чуволийла йолчу меттехула динан дайн къилбаседехьа дӀаерзийна лаьттачу езачу чоьнаш чу вигира. Цигахь малхбузехьарчу агӀор йистехь йолу цхьа меттиг гира суна.</verse>
				<verse number="20">Цо соьга элира: «Кхузахь динан дайша гӀуда такхаран а, къинан а сагӀанашна деанарг кхехкор ду, иштта кӀен сагӀина деанарг а доттур ду, цаьрга арахьарчу керта иза ца даккхийтархьама а, иштта халкъ даздина ца хилийтархьама а».</verse>
				<verse number="21">Цо со, арахьарчу керта а ваьккхина, цуьнан еа а маьӀӀе вигира. ХӀора маьӀӀехь кхин а жима керт яра.</verse>
				<verse number="22">ХӀора маьӀӀерчу кертахь шовзткъа дол йохалла а, ткъе итт дол шоралла а долуш рагӀуш дара. Уьш дерриш а цхьана барамехь дара.</verse>
				<verse number="23">Оцу деа а рагӀуна гонах дина пенаш дара, ткъа пенашна уллохь гобаьккхина дина кхерчаш дара.</verse>
				<verse number="24">Цо соьга элира: «Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болчара чохь халкъо деана сагӀанаш кхехко деза чоьнаш ю хӀорш».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="47">
				<verse number="1">Цул тӀаьхьа цо со Делан цӀенна чуволийла йолчу улло юхавалийра. Цигахь суна гира неӀсагӀина бухара арадолу хи. Иза малхбалехьа дӀадоьдуш дара, хӀунда аьлча Делан цӀа малхбалехьа дӀадирзина лаьтташ дара, ткъа хи цуьнан аьтту агӀор йолчу агӀонна кӀелара арадолуш дара, сагӀа доккхучу кхерчан къилбехьа йолчу агӀонгара.</verse>
				<verse number="2">Къилбаседехьа долчу кевнехула цо со ара а ваьккхина, арахьарчу новкъахула малхбалехьа дӀадирзина долчу кевне валийра. Ткъа цигахь Суна гира, къилбера меллаша охьадогӀу жима татол.</verse>
				<verse number="3">И стаг малхбалехьа дӀавоьдучу хенахь, цуьнан карахь юстаран тӀийраг яра. Цо цхьа эзар дол меттиг дӀаюьстира, тӀаккха со цу хи чухула дӀавигира. И хи сан хьакхолгана тӀе кхочура.</verse>
				<verse number="4">Кхин а цхьа эзар дол меттиг дӀа а юьстина, цул тӀаьхьа цо со хи чухула дӀавигира. ХӀинца и хи суна гоьллец дара. Кхин а цхьа эзар дол меттиг дӀа а юьстина, цул тӀаьхьа цо со хи чухула дӀавигира. ХӀинца и хи суна гӀодаюккъе кхочура.</verse>
				<verse number="5">Кхин а цхьа эзар дол дӀаюьстира цо, амма хӀинца хин бухехула со хих чекх ца ваккхалора, хӀунда аьлча хи чӀогӀа лакхадаьллера. Нека деш бен хи чухула дехьа ца валаваллал кӀорга дара и хи.</verse>
				<verse number="6">Цул тӀаьхьа цу стага соьга элира: «Къаьрзинчу бӀаьргашца хьоьжуш ма вара хьо, адаман кӀант!» Иза а аьлла, цо со цу хин йисте юхавалийра.</verse>
				<verse number="7">Со юхавеача, цу хин йистошкахь шинна а агӀор дуккха а дитташ гира суна.</verse>
				<verse number="8">Цо соьга элира: «ХӀара хи малхбалехьарчу метте дӀадоьдуш ду, Ӏариба-тогӀи чу а доьду, ткъа цул тӀаьхьа иза Дуьрачу хӀордах дӀакхетар ду. ТӀаккха оцу хӀордан хи цӀанлур ду.</verse>
				<verse number="9">И хи дӀа мел кхеттачу меттехь сийсаш йолу хӀора са долу хӀума дика ехар ю. Цу хӀорда чохь дуккха а чӀерий а хир ду, хӀунда аьлча и хи, массанхьа а хӀуманаш цӀан а еш, царна дахар а луш, цу хӀордах дӀакхетта.</verse>
				<verse number="10">Ӏейн-ГӀадера дуьйна Ӏейн-Ӏеглайме кхаччалц хин бердашкахь чӀерийлецархой лаьтташ хир бу. Цигахь а бойнаш якъор ю. Вуно дукха тайп-тайпана чӀерий хир ду цигахь, Дуьненаюккъерчу хӀордана чохь санна.</verse>
				<verse number="11">Амма уьшалш а, чохь даьржина хи долу Ӏаьмнаш а цкъа а цӀанлур дац, уьш туьха даккхарна дуьтур ду.</verse>
				<verse number="12">Цу хин шинна а йистехула хьаладовлуш шайна тӀе стом латош долу тайп-тайпана дитташ хир ду. Царна тӀера гӀаш цкъа а маргӀал а доьр дац. Царна тӀера стом кхачалур бац, хӀора баттахь керланиг а латош, лаьттар бу, хӀунда аьлча царна тӀекхочуш долу хи езачу меттигера схьадолуш ду. Цу дитташна тӀера стоьмаш кхачанна хир бу, ткъа гӀаш дарбанна лелор ду».</verse>
				<verse number="13">Иштта боху Хьалдолчу Эло: «ХӀорш ду аша Исраилан халкъан шийтта тайпанна шерет санна лун долчу лаьттан дозанаш (ткъа Юсупна ши дакъа кхочур ду).</verse>
				<verse number="14">Хьалаайинчу куьйгаца Аса шун дайшна чӀагӀо ярца лур ду аьлла и латта шайна юкъахь цхьатеррачу дакъошкахь декъа деза аша. ХӀара латта хӀинца шуна шерет санна кхочур ду.</verse>
				<verse number="15">ХӀара ду лаьттан доза: къилбаседехьа йолчу йистехь иза Дуьненаюккъерчу хӀордана тӀера дӀадолало, тӀаккха Хьетлонехула, Хьаматан Ӏин тӀе дӀакхочу.</verse>
				<verse number="16">Цигара дӀа Хьамат-гӀала а, Берата-гӀала а Дамасакханий, Хьаматаний юккъехь йолчу Сибраймана тӀекхочу. Цигара дӀа Хьавранаца доза долчу Хьацар-Тихунана тӀе кхочу.</verse>
				<verse number="17">Иштта, лаьттан къилбаседера доза хӀордана тӀера дуьйна Дамасакхан кӀоштан къилбаседерчу дозанахь йолчу Хьацар-Ӏейнана тӀехь хир ду, цигара дӀа къилбаседехьа йолчу Хьамат-гӀала лаьттачу меттигца а хир ду.</verse>
				<verse number="18">Малхбалехьа долу доза Хьавранний, Дамасакхний юккъехула долу, иштта ГалӀадний, Исраил-махканий юккъехула долу, Йордан-хи йистехула дӀадоьду малхбалехьа болчу хӀордана тӀе кхаччалц. Иза малхбалехьара доза хир ду.</verse>
				<verse number="19">Къилбехьа долу доза Тамарина тӀера Мериба-Кхадеш цӀе йолчу шовданна тӀе кхаччалц дӀагӀур ду, цул тӀаьхьа Мисар-мехкан дозанехь долчу хин йистехула Дуьненаюккъерачу хӀордана тӀе кхаччалц дӀагӀур ду. Иза къилбехьара долу доза хир ду.</verse>
				<verse number="20">Малхбузехьарчу агӀор дозанна метта Дуьненаюккъера хӀорд хир бу, Хьаматан Ӏинна дуьхьал йолчу меттигна тӀе кхаччалц. Иза малхбузехьара долу доза хир ду.</verse>
				<verse number="21">И латта, Исраилан халкъан тайпанашка хьаьжжина, шайна юкъахь дӀасадекъа.</verse>
				<verse number="22">И латта шайна а, шайна юкъахь доьзалш а кхоьллина, бехаш болчу кхечу къаьмнех болчу нахана а, кхаж а тасий, дӀасадекъа. Кхечу къаьмнех болу нах исраилхошца нийсса лара беза. Царна а, Исраилан халкъан тайпанашна санна, лаьттан дакъа кхочу.</verse>
				<verse number="23">И тӀевеана стаг юкъахь вехаш долчу тайпано лаьтта тӀера цунна доьзалан дакъа дала деза». Иштта боху Хьалдолчу Эло.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="48">
				<verse number="1">«ХӀорш ю тайпанийн цӀераш. Къилбаседехьа йолчу агӀор Хьетлонан некъана уллохула Хьаматан лаьмнийн дехьадовларан метте, цигара дӀа Хьацар-Ӏейнана тӀе кхаччалц (иза Дамасакхан кӀоштан доза ду. Цунна къилбаседехьа чохь Хьамат-гӀала йолу меттиг ю): малхбалехьарчу дозанна тӀера хӀордана тӀе кхаччалц Данан тайпанан лаьттан дакъа хир ду.</verse>
				<verse number="2">Данан дозанна тӀера, малхбалехьара малхбузехьа кхаччалц долу лаьттан цхьа дакъа Ашаран тайпанна кхочур ду.</verse>
				<verse number="3">Ашаран декъа тӀера, малхбалехьара малхбузехьа кхаччалц долу лаьттан важа дакъа Напталан тайпанан долахь хила деза.</verse>
				<verse number="4">Напталан декъа тӀера дуьйна малхбалехьара малхбузехьа кхаччалц долу лаьттан дакъа Маннашан тайпанан хила деза.</verse>
				<verse number="5">Маннашан долахь долчу декъа тӀера дуьйна малхбалехьара малхбузе кхаччалц долу лаьттан цхьа дакъа Эпрайман долахь хила деза.</verse>
				<verse number="6">Эпрайман дозанна тӀера схьа, малхбалехьара дуьйна малхбузе кхаччалц долу цхьа дакъа Раабанан долахь хила деза.</verse>
				<verse number="7">Раабанан дозанна тӀера, малхбалехьара малхбузехьа кхаччалц долу лаьттан цхьа дакъа ЯхӀудан тайпанна кхочур ду».</verse>
				<verse number="8">«ЯхӀудан декъана уллохь малхбалехьара малхбузе кхаччалц ткъе пхиъ эзар дол шуьйра меттиг леринчу Ӏалашонна дӀакъастор ду. Цуьнан йохалла, вукху дакъойн ма-хиллара, хир ю. Цу лаьттан декъана юккъехь Делан цӀа хир ду.</verse>
				<verse number="9">Аша Везачу Элана совгӀатна дала дезаш долу лаьттан дакъа йохаллехь ткъе пхиъ эзар, ткъа шораллехь — ткъа эзар дол хир ду.</verse>
				<verse number="10">Динан дайшна лерина долу лаьттан деза дакъа иштта хир ду. Иза къилбаседехьа агӀор ткъе пхиъ эзар дол дохаллехь хила деза, малхбузехьа агӀор — шоралла итт эзар дол, малхбалехь — шоралла итт эзар дол, иштта къилбехь дохалла ткъе пхиъ эзар дол хила а деза. Цу лаьттана юккъехь Везачу Элан еза меттиг хила еза.</verse>
				<verse number="11">И латта Суна къобалбинчу а, ЦӀадукъин тӀаьхьенах болчу а, Сан дуьхьа ха дина болчу а динан дайшна дӀало. Исраилан халкъ тиладеллачу хенахь, уьш Суна уллора дӀа ца бевлира, левихой ма-бовллара.</verse>
				<verse number="12">И латта, левихойн лаьттан декъана уллохь а долуш, церан долахь хир ду, ткъа лаьттан езачу кӀоштахь иза чӀогӀа деза дакъа хир ду.</verse>
				<verse number="13">Левихошна а кхочур ду лаьттан езачу кӀоштах цхьа дакъа. И дакъа, динан дайн декъана уллохь а долуш, хир ду ткъе пхиъ эзар дол дохаллехь а, итт эзар дол шораллехь а. Езачу кӀоштах долу левихойн дакъа йохалла ткъе пхиъ эзар дол хир ду, ткъа шоралла — итт эзар дол хир ду.</verse>
				<verse number="14">Цу лаьттах цхьа а дакъа я дохка а, я хийца а йиш яц церан. Иштта цхьана стеган карара вукхун кара дӀадала а йиш яц и тоьлла латта, хӀунда аьлча иза Везачу Элан долахь долу деза латта ду.</verse>
				<verse number="15">Важа долу лаьттан дакъа, ткъе пхиъ эзар дол дохаллехь а, пхи эзар дол шораллехь а долу, гӀалин дола а даьккхина, дӀалур ду, иза деза хир дац. Цу лаьтта тӀехь адамаша гӀишлош а йийр ю, цигахь дежийлаш а хир ю, ткъа гӀала цу лаьттана юккъехь хир ю.</verse>
				<verse number="16">ГӀалин барам иштта хила беза: къилбаседехьара агӀо диъ эзар пхи бӀе дол, къилбехьа йолу агӀо — диъ эзар пхи бӀе дол, малхбалехьара а, малхбузехьара а йолу агӀонаш — диъ эзар пхи бӀе дол хила еза.</verse>
				<verse number="17">ГӀалин шен дежийлаш хир ю. Уьш къилбаседехьа а, къилбехьа а ши бӀе шовзткъе итт дол хир ю, иштта малхбалехьа а, малхбузехьа а йолчу агӀор ши бӀе шовзткъе итт дол хир ю.</verse>
				<verse number="18">Лаьттан езачу кӀоштан йистошкахь йисина меттиг — итт эзар дол малхбалехьа а, оццул малхбузехьа а — гӀаларчу белхалошна даа хӀума кхио лерина хир ю.</verse>
				<verse number="19">Исраилан халкъан массо а тайпанех болчу гӀалин белхалоша болх бийр бу цу йисинчу меттехь.</verse>
				<verse number="20">Дерриг и схьакъастийна долу латта деакӀов хила деза — ткъе пхиъ эзар дол йохаллехь а, оццул шораллехь а долуш. Иштта схьакъастийначу лаьтта чу йогӀуш хир ю лаьттан еза кӀошт а, гӀала тӀехь йолу латта а.</verse>
				<verse number="21">Лаьттан езачу кӀоштана а, гӀалин дола яьккхинчу меттигна а шинна а агӀор долу дисина латта элан долахь хир ду. Ткъе пхиъ эзар дол дохаллехь йолчу езачу кӀоштан малхбалехь и латта Исраил-мехкан малхбалерчу дозанна тӀе кхаччалц хир ду, ткъа езачу кӀоштан малхбузехь и латта Исраил-мехкан малхбузерчу дозанна тӀе кхаччалц хир ду. Цу лаьттан ший а дакъа элан долахь хир ду, ткъа царна юккъехь еза кӀошт хир ю, чохь Делан цӀийнан еза меттиг йолу.</verse>
				<verse number="22">Иштта, левихойн латта а, гӀалина дӀаделла латта а — элан долахь долчу лаьттана юккъехь нисло. Элан латта Бен-Яманан а, ЯхӀудан а тайпанийн лаьттана юккъехь нисло.</verse>
				<verse number="23">Ткъа кхечу тайпанашна латта иштта дӀадекъа деза: малхбалехьара малхбузе кхаччалц цхьа дакъа Бен-Яманна кхочу.</verse>
				<verse number="24">Бен-Яманан дозанна тӀера малхбалехьара малхбузехьа кхаччалц долу лаьттан цхьа дакъа ШимӀин тайпанна кхочур ду.</verse>
				<verse number="25">ШимӀин дозанна тӀера малхбалехьара дуьйна малхбузе кхаччалц долу цхьа дакъа Иссарханна кхочу.</verse>
				<verse number="26">Иссарханан декъана тӀера малхбалехьара малхбузе кхаччалц долу цхьа дакъа Забулана кхочу.</verse>
				<verse number="27">Забулан декъа тӀера малхбалехьа йолчу йистана тӀера малхбузехьа йолчу йистана тӀе кхаччалц долу цхьа дакъа Гадина кхочу.</verse>
				<verse number="28">Гадин къилбехьа долу доза, къилбехьа йолчу Тамарина тӀера дуьйна Мериба-Кхадеш олучу шовданна тӀе а кхаьчна, цигара Мисар-мехкан дозанехь долу хин йистехула Дуьненаюккъерачу хӀордана тӀе кхочу.</verse>
				<verse number="29">Иза ду аша исраилхойн тайпанашна юкъахь, кхаж а тосуш, дӀадекъа дезаш долу латта, церан лаьттан дакъош а хӀорш ду», — боху Хьалдолчу Эло.</verse>
				<verse number="30">«ХӀорш ю гӀалина чуьра араволийлаш. ГӀалин къилбаседехьа йолу агӀо йохаллехь йиъ эзар пхи бӀе дол хир ю.</verse>
				<verse number="31">ГӀалин кевнаш исраилхойн тайпанийн цӀераш техкина хир ду. Къилбаседехьа долу кхо ков Раабан а, ЯхӀудан а, Левин а цӀераш йолуш хир ду.</verse>
				<verse number="32">Малхбалехьа йолу агӀо а йиъ эзар пхи бӀе дол хир ю йохаллехь, цигахь а кхо ков хир ду: Юсупан а, Бен-Яманан а, Данан а цӀарах.</verse>
				<verse number="33">Къилбехьа йолу агӀо а хир ю йиъ эзар пхи бӀе дол. Цигахь а хир ду кхо ков: ШимӀин а, Иссарханан а, Забулан а цӀарах.</verse>
				<verse number="34">Малхбузехьа йолу агӀо а хир ю йиъ эзар пхи бӀе дол йохаллехь. Цу агӀонгахь долу кхо ков Гадин а, Ашаран а, Напталан а цӀарах хир ду.</verse>
				<verse number="35">ГӀалина гонах йолу меттиг йохалла юьстича, ерриг а берхӀитта эзар дол хир ю. Ткъа оцу дийнахь дуьйна цу гӀалин цӀе, „Цигахь Веза Эла ву“ аьлла, хир ю».</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="27">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">ЯхӀу-Якхам-паччахьо ЯхӀуд-махкахь паччахьалла дечу кхоалгӀачу шарахь Бавел-мехкан паччахьо Набухди-Нецара, ван а веана, Ярушалайм-гӀалина го лецира.</verse>
				<verse number="2">ТӀаккха Хьалдолчу Эло цуьнан кара вахийтира ЯхӀуд-мехкан паччахь волу ЯхӀу-Якхам. ЯхӀу-Якхам-паччахь а, кхин дӀадигна долу адамаш а Набухди-Нецара ШанӀар-махкара шен делан цӀа чу дӀадигийтира. Ткъа Ярушалайм-гӀалара Делан цӀа чуьра цхьайолу еза хӀуманаш, шен дола а яьхна, шайн делан цӀа чуьра хазнина тӀе дӀаяхьийтира цо.</verse>
				<verse number="3">Паччахьо омра дира шен кертарчу хьаькамийн куьйгалхочуьнга Ашпеназе, исраилхойн тоьллачу паччахьийн а, элийн а цӀийнах бевлла болу къонахой шена тӀе схьабалабе аьлла.</verse>
				<verse number="4">Уьш хила безара шайн догӀмашца цхьа а сакхталла а йоцуш, юьхьсибатца хаза а болуш, муьлхха а Ӏилма Ӏамо кхетам а болуш, Ӏилма девзаш а болуш, кӀорггера хьекъал а долуш, паччахьан цӀа чохь гӀуллакх дан ларор болу къонахой. Царна Ӏамор ду хашадийн мотт бийца а, цу маттахь долу тайп-тайпанара тептарш деша а.</verse>
				<verse number="5">Иштта паччахьо тӀедиллира хӀора дийнахь царна шен цӀа чуьра мала чагӀар далар а, яа хӀума ялар а. КхидӀа а тӀедиллира цо и къонахой кхаа шарахь кхетош-кхиор а, и хан дӀаяьлча, уьш шена тӀебалор а.</verse>
				<verse number="6">Цу къонахошна юкъахь бара ЯхӀудан тӀаьхьенах болу Даниал а, Хьанан-ЯхӀу а, Мишаал а, Ӏазар-ЯхӀу а.</verse>
				<verse number="7">Паччахьан кертара хьаькамийн коьртачу куьйгалхочо церан цӀераш хийцира. Даниалх — Бел-Ташацар элира, Хьанан-ЯхӀух — Шадрак элира, Мишаалах — Мешак элира, ткъа Ӏазар-ЯхӀуна Ӏабди-Нага боху цӀе тиллира.</verse>
				<verse number="8">Паччахьан цӀа чуьра юучуьнца а, паччахьо молучу чагӀарца а ша Далла гергахь бехлур вац аьлла, нигат дира Даниала. Цундела цо дийхира Ашпеназе Далла гергахь хьарам йолчу юучух а, маларх а ша хьакха ца валийтар.</verse>
				<verse number="9">Дала нисдира паччахьан кертара хьаькамийн куьйгалхо цуьнца дика хилар.</verse>
				<verse number="10">Цу коьртачу куьйгалхочо Даниале элира: «Кхоьру со сайн олахочух, сайн паччахьах. Цо ша хӀоттийна шуна и даар-малар далар. Нагахь санна цунна шун хенара болчу къонахойл шун яххьаш гӀелъелла гахь, сан корта боккхуьйтур бу аш паччахье».</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха Даниала ша а, шен кхо накъост а ларван коьртачу куьйгалхочо хӀоттийначу гӀаролхочуьнга дехар дира:</verse>
				<verse number="12">«Зехьа ахьа хьайн леш итт дийнахь. Балийтахьа тхуна баа беккъа хасстоьмаш а, мала хи а.</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха хьожур хьо тхан яххьашка а, паччахьан юург-мерг йиъначеран яххьашка а. Цул тӀаьхьа хьайн лех хьайна луъург дер ахь».</verse>
				<verse number="14">Даниала аьлларг а дина, цо итт дийнахь зийра уьш.</verse>
				<verse number="15">Итт де даьлча, церан яххьаш а, догӀмаш а паччахьан кхача бууш Ӏийначарел хаза хилла карийра.</verse>
				<verse number="16">Цул тӀаьхьа гӀароло, ойла ца керчаш, церан юург а, чагӀар а, схьа а оьций, царна баа хасстоьмаш лора.</verse>
				<verse number="17">Цу веа а къонахчунна массо а тайпана тептарех кхетар а, Ӏилма хаар а, хьекъал а делира Дала. Ткъа Даниална, цул совнаха, гина гӀенаш а, самах дуьхьалхӀуьтту суьрташ а тида хаар делира.</verse>
				<verse number="18">Йийсарехь болчарна юкъара хаьржина массо а къонахой паччахьна гайта йиллина хан тӀекхаьчначу хенахь, паччахьан кертара коьртачу куьйгалхочо уьш Набухди-Нецар-паччахьна тӀебалийра.</verse>
				<verse number="19">Ша цаьрца къамелаш дича, паччахьна билгалделира цу массо а къонахошна юкъахь цхьа а Даниале а, Хьанан-ЯхӀуга а, Мишаале а, Ӏазар-ЯхӀуга а кхочуш ца хилар. ТӀаккха хӀорш бисира паччахьан кертахь гӀуллакх дан.</verse>
				<verse number="20">Муьлххачу а хьекъал-кхетам оьшучу гӀуллакхехь а, паччахьо хӀуъа хаттар дича а, цунна карабора уьш уьттазза алсам хууш шен пачхьалкхера мел болчу бозбунчел а, эвлаяэл а.</verse>
				<verse number="21">Иштта Ӏийра цигахь Даниал, Къуреш-паччахь хӀоьттина хьалхара шо тӀекхаччалц.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Набухди-Нецара паччахьалла дечу шолгӀачу шарахь цунна гора гӀенаш. Уьш бахьана долуш синтем боцуш а, наб яйна а вара иза.</verse>
				<verse number="2">Паччахьо омра дира, бозбунчаш, палтуьйсурш, жинашца тайнарш, седа-жайна хьовсурш схьакхайкха аьлла, цаьрга шена гӀенах гина суьрташ схьадийцийтархьама. Уьш, баьхкина, паччахьна хьалха дӀахӀиттира.</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха паччахьо элира цаьрга: «Суна гӀан гина. Сан сагатделла. Сайн гӀенах кхета лаьа суна».</verse>
				<verse number="4">Седа-жайна хьовсучара арамхойн маттахь элира паччахье: «Паччахь! Вехийла хьо даим! Дийцахь хьайн лешка и гӀан, тӀаккха дуьйцур ду оха цуьнан маьӀна».</verse>
				<verse number="5">Паччахьо, жоп луш, элира седа-жайна хьовсучаьрга: «Ас чӀагӀо йина, нагахь санна аша сан гӀан а, цуьнан маьӀна а суна ца дийцахь, шух, аьтта, кескаш яйта а, шун цӀенойх саьлнаш йита а.</verse>
				<verse number="6">Нагахь санна аша сан гӀан а, цуьнан маьӀна а дийцахь, соьгара совгӀаташ а, сийлахь-боккха ларам а хир бу шуна. Дийца хӀинца сан гӀан а, цуьнан маьӀна а».</verse>
				<verse number="7">ШолгӀа а цара дийхира паччахье: «Дийцахьа, паччахь, хьайн лешка хьайна гина гӀан, тӀаккха туьдур ду оха цуьнан маьӀна».</verse>
				<verse number="8">Паччахьо элира, жоп луш: «Билггала хаьа суна, ас чӀагӀо йинийла хууш, шу хан ялийта гӀертий.</verse>
				<verse number="9">Сан гӀан аша соьга ца дийцахь, шуна массарна а цхьатерра таӀзар дийр ду. Шу дохку соьга, хан а ялийтина, доцург дийца а, аьшпаш ботта а. Дийца сан гӀан, тӀаккха хуур ду суна цуьнан маьӀна шуна хаьа я ца хаьа».</verse>
				<verse number="10">Седа-жайна хьовсучара элира паччахье: «Дац-кх хӀокху лаьтта тӀехь цхьа а адам и гӀуллакх паччахье дийцалур долуш, цундела цхьана а сийлахь а, нуьцкъала а волчу паччахьо и саннарг тӀедожийна дацара цхьана а бозбунчашна а, эвлаяашна а, седа-жайна хьовсучарна а.</verse>
				<verse number="11">Ша деланаш боцучарна, цхьанна а хуур доцуш, тӀех хала ду паччахьо тӀедожийна и гӀуллакх. Ткъа уьш кху лаьтта тӀехь бехаш бац».</verse>
				<verse number="12">И хезча, чуьравелира паччахь, чӀогӀа оьгӀазвахара иза. ТӀаккха цо омра дира, бавелхойн берриге а хьекъале нах хӀаллакбе аьлла.</verse>
				<verse number="13">Хьекъале нах хӀаллакбе аьлла, и омра дича, Даниал а, цуьнан накъостий а лийхира, уьш хӀаллакбархьама.</verse>
				<verse number="14">И хьекъале нах байар паччахьан гӀаролан коьртачу хьаькамна Ариханна тӀедиллина дара. Цуьнга оьзда а, хьекъале а къамел дира Даниала.</verse>
				<verse number="15">Цо хаьттира Арихане: «Паччахьера иштта буьрса омра хӀунда даьлла те?» — аьлла. Арихана и гӀуллакх ма-дарра дийцира Даниале.</verse>
				<verse number="16">ТӀаккха, ваха а вахана, Даниала паччахье дийхира шена хан ялар, цу гӀенан маьӀна паччахьна довзийтархьама.</verse>
				<verse number="17">Шен цӀа а веана, Даниала шен накъосташка Хьанан-ЯхӀуга а, Мишаале а, Ӏазар-ЯхӀуга а и гӀуллакх дӀадийцира.</verse>
				<verse number="18">Ша а, шен накъостий а кхечу бавелхойн хьекъалалла долчаьрца хӀаллак ца байтархьама, Даниала шен накъосташка дийхира стигалшкарчу Деле доӀанаш дар, Шен къинхетамца а, дикаллица а Цуьнга паччахьан гӀенан къайле шайна йовзийтар доьхуш.</verse>
				<verse number="19">ТӀаккха, буса дуьхьал сурт а хӀоьттина, дӀаеллаелира и къайле Даниална. Стигалшкара Дела хаставира Даниала:</verse>
				<verse number="20">«Хастам бу Хьуна, Дела, азалера абаделлалц, кхетам а, ницкъ а Хьоьгахь болу дела!</verse>
				<verse number="21">Ахь хуьйцу-кх хенаш а, заманаш а, дӀа а боху, хӀитта а бо паччахьаш. Ахь кхетам болчарна кхетамалла ло, хьекъал долчарна хьекъалалла ло.</verse>
				<verse number="22">Ахь дӀайоьллу кӀорггера къайленаш, хаьа Хьуна боданехь дерг, серло а Хьоьца еха.</verse>
				<verse number="23">Ас хеставо Хьо, ваз а во Хьо, сан дайн Дела, Ахь хьекъал а, ницкъ а суна делла дела. Оха Хьайга дехнарг суна дели Ахь, паччахьан гӀуллакх а довзийти Ахь тхуна».</verse>
				<verse number="24">Цул тӀаьхьа, паччахьо бавелхойн хьекъалалла дерш хӀаллакбар тӀедожийна волчу Ариханна тӀе а вахана, Даниала дийхира, и бавелхойн хьекъале нах хӀаллак а ца беш, ша паччахьна тӀе вигахь, тӀаккха ша дӀадуьйцур ду цу гӀенан маьӀна аьлла.</verse>
				<verse number="25">Арихана, сихха Даниал паччахьна тӀе а вигна, элира: «Йийсарехь болчу ЯхӀуд-махкарчу кӀенташна юкъахь цхьа стаг карийна суна, паччахьна цуьнан гӀенан маьӀна дуьйцур долуш волу».</verse>
				<verse number="26">Паччахьо, Бел-Ташацар аьлла, цӀе тиллина волчу Даниале хаьттира: «Дийцалур дуй хьоьга суна гина гӀан а, цуьнан маьӀна а?»</verse>
				<verse number="27">Даниала паччахье жоп делира: «Паччахь, ахьа хоьттуш йолу къайле хуур яц хьекъалалла долчарна а, эвлаяашна а, бозбунчашна а, палтосучарна а.</verse>
				<verse number="28">Амма ву стигалшкахь къайленаш дӀайоьллуш волу Дела. Цо дӀадоьллу Набухди-Нецар-паччахьна тӀаьхьарчу заманчохь хиндерг. Хьо дӀавижна волуш хьан коьрта чохь хьуна гина гӀан а, сурт а иштта дара:</verse>
				<verse number="29">ДӀавижна волуш, паччахь, хьо ойла еш вара: „ХӀун хир ду те хӀинцачул тӀаьхьа?“ — бохуш. И къайленаш дӀайоьллуш Волчо хьуна хиндерг гайтира.</verse>
				<verse number="30">Лаьтта тӀехь бехаш болчарна юкъахь массарел а кхетам болуш со ву аьлла, дӀаеллаелла яц суна и къайле, иза ду хьуна, паччахьна, хаийтархьама хӀун ойланаш йоллу хьан даг чохь.</verse>
				<verse number="31">Хьуна, паччахь, иштта сурт хӀоьттинера: лаьтташ дара тайп-тайпанчу гӀирсех дина цхьа доккха сурт. Инзаре доккха дара иза. Исбаьхьа лепаш лаьттара и хьуна хьалха. Кхераме дара цуьнан васт.</verse>
				<verse number="32">Цу суьртан корта бара цӀеначу деших бина. Цуьнан накха а, цуьнан куьйгаш а детих дина дара. Цуьнан гай а, гӀогӀаш а цӀестан дара.</verse>
				<verse number="33">Цуьнан настарш аьчках йина яра, ткъа когийн цхьадолу дакъош аьчках, важа дакъош поппарх дина дара.</verse>
				<verse number="34">Хьо хьоьжуш лаьтташехь, цхьа тӀулг, ломах ша дӀакъастийча, чухецабелира. Цу суьртан аьчках а, поппарх а бинчу когашна тӀе а боьжна, уьш бохийра цо.</verse>
				<verse number="35">ТӀаккха ша дерриге а цхьана этира: эчиг, поппар, цӀаста, дети, деши, аьхкенан хьаьттахь йолу чан санна, хилира. Мохо ядийра уьш, хилла лар а ца йисира царех. Ткъа и цӀу вохийна болчу тӀулгах боккха лам хилира, доллу латта а дузуш.</verse>
				<verse number="36">ХӀара ду-кх и гӀан! Дуьйцур вай паччахьна цуьнан маьӀна а.</verse>
				<verse number="37">Хьо ву паччахь, паччахьийн а паччахь, стигалшкара Дала паччахьалла а, олалла а, ницкъ а, сийлалла а делла волу.</verse>
				<verse number="38">Цо делла хьан кара массо а адамаш, уьш миччанхьа дехаш делахь а, лаьттан дийнаташ, стигалшкара олхазарш, хьо царна тӀехь олахо а вина Цо. И дашо корта — хьо ву!</verse>
				<verse number="39">Хьол тӀаьхьа кхоллалур ю кхин пачхьалкх, кхул оьшуш а йолуш, тӀаккха кхин а кхоалгӀа пачхьалкх хир ю, цӀестаниг. Цо дерриге а лаьтта тӀехь олалла дийр ду.</verse>
				<verse number="40">Ткъа йоьалгӀа пачхьалкх хир ю, эчиг санна, чӀогӀа. Эчиго массо а хӀума йохаяре а, атаре а терра, иштта и пачхьалкх а хир ю, массо а хӀума хӀаллакдеш долу эчиг санна, ерриг а хьалхалера пачхьалкхаш отуш, йохош.</verse>
				<verse number="41">Ткъа хьуна гина болу когаш а, когийн пӀелгаш а, цхьа дакъа кхийрачу поппарх, важа дакъа эчигах лаьтташ долу, — иза хир ю екъаелла пачхьалкх. Цуьнца жимма эчиган чӀагӀо хир ю, хӀунда аьлча хьуна гира эчиг кхийран поппарх эделла.</verse>
				<verse number="42">Когийн пӀелгаш эдинчу эчигах а, поппарх а дина хиларе терра, иштта и пачхьалкх а хир ю цхьайолу меттигаш чӀогӀа йолуш, вуьш экам йолуш.</verse>
				<verse number="43">Ткъа хьуна гина долу, кхийран поппарца эдина долу эчиг иза — оцу пачхьалкхийн урхалчаш адаман хӀуьнца, вовшашлахь захалонаш деш, элур бу бохург ду. Амма эчиг а, поппар а цхьаьна ца эдаларе терра, и пачхьалкхаш цхьаьнакхетар яц.</verse>
				<verse number="44">Цу пачхьалкхаша олалла дечу деношкахь стигалшкара Дала кхуллур ю цкъа а йохалур йоцу, цхьана а кхечу къоме эшалур йоцу пачхьалкх. Цо аьтта дӀайохуьйтур ю массо а пачхьалкхаш, ткъа ша-м лаьттар ю иза даим.</verse>
				<verse number="45">ХӀунда аьлча и тӀулг, хьуна ма-гарра, лам тӀера дӀакъастийра, амма иза адаман куьйго дина дацара. Ткъа оцу тӀулго, цу суьртана тӀе а керчина, эчиг а, цӀаста а, поппар а, дети а, деши а аьтта дӀадаьккхира. Сийлахь Воккхачу Дала хаам бина паччахьна хиндолчух лаьцна. И гӀан а бакъ ду, иштта нийса ду цуьнан маьӀна а».</verse>
				<verse number="46">ТӀаккха Набухди-Нецар, Даниал ваз а вина, цунна суждане вахара. Цунна сагӀанаш даха а, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш ягае а аьлла, омра дира цо.</verse>
				<verse number="47">Паччахьо элира Даниале: «Баккъалла ву шун Дела массо а деланийн Дела а, паччахьийн Олахо а, къайленаш йовзуьйтуш волу, хӀунда аьлча хьуна а и къайле Цо йовзийтина дела».</verse>
				<verse number="48">ТӀаккха даржехь лакхаваьккхира паччахьо Даниал. Дуккха даккхий совгӀаташ делира цо цунна. Бавел-мехкан цхьана декъа тӀехь а, бавелхойн хьекъалалла долчарна тӀехь а коьрта хьаькам хӀоттийра цо иза.</verse>
				<verse number="49">Цул сов, Даниала шега дехар дича, паччахьо Бавел-мехкан гӀуллакхаш дан Шадрак а, Мешак а, Ӏабди-Нага а хӀоттийра, ткъа Даниал паччахьан кертахь висира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">Набухди-Нецар-паччахьо деших цхьа сурт дайтира, лакхалла кхузткъа дол барам болуш, ткъа шоралла ялх дол барам болуш. Цо иза дӀахӀоттийра Бавел-махкара Дура олучу шерачу арахь.</verse>
				<verse number="2">ТӀаккха Набухди-Нецар-паччахьо схьакхайкхира тхьамданаш, мехкадай, куьйгалхой, коьрта кхелахой, хазна Ӏалашйийраш, бакъонаш лелораш, кхелан нийсо ларйийраш, иштта кхин болу мехкан хьаькамаш а, и дайтина сурт даздеш, дӀаделларна хӀоттийначу дезачу дийнахь схьадуьйла аьлла.</verse>
				<verse number="3">Тхьамданаш а, мехкадай а, юьртдай а, коьрта кхелахой а, хазна Ӏалашйийраш а, бакъонаш лелораш а, кхелан нийсо ларйийраш а, кхин болу мехкан хьаькамаш а Набухди-Нецар-паччахьо хьалахӀоттийна долу сурт гучудаккхар даздан схьагулбелира. Набухди-Нецар-паччахьо хьалахӀоттийначу суьртана хьалха дӀахӀиттира уьш.</verse>
				<verse number="4">ТӀаккха туркхо зевне мохь туьйхира: «Хаам бо шуьга, массо а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а болу нах!</verse>
				<verse number="5">Нагахь маӀийн, шедагийн, дечиг-пондарийн, мерз-пондарийн, зурманийн иштта кхин массо а тайпана эшарийн гӀирсийн аз шайна хезча, охьа а эгий, сужда де Набухди-Нецар-паччахьо дӀахӀоттийначу дашочу суьртана.</verse>
				<verse number="6">Ткъа, охьа а воьжна, суждане ца ваханарг, цу сохьта цӀе летта йогучу пеша кхуссур ву».</verse>
				<verse number="7">Цундела, шайна маӀийн, шедагийн, дечиг-пондарийн, мерз-пондарийн, кхин массо а тайпанарчу эшарийн гӀирсийн аз хезча, массо а мехкийн, халкъийн, меттанийн а болчу наха, охьа а эгна, Набухди-Нецар-паччахьо дӀахӀоттийначу дашочу суьртана сужда дира.</verse>
				<verse number="8">Оцу хенахь цхьаболу седа-жайна хьовсучара яхӀудхой бахьана долуш, бахка а баьхкина, паччахье мотт туьйхира.</verse>
				<verse number="9">Цара Набухди-Нецар-паччахье элира: «Паччахь, вехийла хьо даим!</verse>
				<verse number="10">Ахь омра динера, хӀора адам шена маӀийн, шедагийн, дечиг-пондарийн, мерз-пондарийн, зурманийн, кхин йолу массо а тайпанарчу эшарийн гӀирсийн аз шайна хезча, охьа а эгий, сужда де деших динчу суьртана аьлла.</verse>
				<verse number="11">Ткъа, охьа а воьжна, суждане ца ваханарг цӀиййиначу пеша кхосса аьлла.</verse>
				<verse number="12">Амма ахь Бавел-махка тӀехь гӀуллакх дан хӀоттийначу къонахоша кхочуш ца до, ва паччахь, хьан омра. Уьш бу Шадрак а, Мешак а, Ӏабди-Нага а цӀе йолу яхӀудхой. Хьан деланаш а ца лору цара, ахь дӀахӀоттийначу деших динчу суьртана Ӏибадат а ца до цара».</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха Набухди-Нецара, ша луьра дарвеллачохь, тӀедожийра Шадрак, Мешак, Ӏабди-Нага а шена тӀевалор. И нах паччахьна тӀебалийра.</verse>
				<verse number="14">Набухди-Нецара хаьттира цаьрга: «Бакъ дуй, Шадрак, Мешак, Ӏабди-Нага, аша сан деланаш ца ларар а, ас дӀахӀоттийначу суьртана Ӏибадат ца дар а?</verse>
				<verse number="15">Нагахь санна хӀинца дуьйна шаьш кийча хилахь, шайна маӀийн, шедагийн, дечиг-пондарийн, мерз-пондарийн, зурманийн а, иштта кхин йолу массо а тайпанарчу эшарийн гӀирсийн аз ма-хеззинехь, охьа а эгий, сужда делаш аса дӀахӀоттийначу деших диначу суьртана. Амма аша Ӏибадат ца дахь, цу сохьта цӀиййиначу пеша кхуссур ду шу. ТӀаккха муьлхачу дала кӀелхьардохур ду шу сан куьйгах?»</verse>
				<verse number="16">Шадрака а, Мешака а, Ӏабди-Нагас а жоп делира Набухди-Нецар-паччахье: «Цунах лаьцна хьоьга жоп дала оьшуш меттиг бац тхан.</verse>
				<verse number="17">Нагахь санна тхо цӀийина йогучу пеша кхийсахь а, оха Ӏибадат деш волу Дела ницкъ болуш ву тхо цунах кӀелхьардаха. Хьан куьйгах а, ва паччахь, кӀелхьардохур ду Цо тхо.</verse>
				<verse number="18">Нагахь санна Цо и ца дахь а, хаа ду хьуна, ва паччахь, хьан деланаш оха лорург цахилар а, ахь дӀахӀоттийначу дашо суьртана корта беттарг цахилар а».</verse>
				<verse number="19">И хезча, оьгӀазаллех вуьзира Набухди-Нецар. Шадраке а, Мешаке а, Ӏабди-Наге а хьаьжча, ойла хийцаелира цуьнан. ТӀаккха хӀинццалц чул ворхӀазза чӀогӀа пеш латае аьлла, омра дира цо.</verse>
				<verse number="20">Шен эскарера уггаре а онда болчу къонахошна тӀедожийра паччахьо Шадрак а, Мешак а, Ӏабди-Нага а, дӀа а вихкина, цӀиййиначу пеша кхоссар.</verse>
				<verse number="21">Цул тӀаьхьа уьш, дӀа а бихкина, чухулара а, тӀехулара а бедаршца а, коьртарчу хӀуманашца а, церан кхин йолу тӀерачу хӀуманашца а цӀе летта йогучу пеша кхиссира.</verse>
				<verse number="22">Паччахьо дина и омра чӀогӀа а хилла, пеш сов тӀех цӀиййина хилар бахьана долуш, цӀеран алуно багийна байира Шадрак а, Мешак а, Ӏабди-Нага а пеша чу кхиссина болу нах.</verse>
				<verse number="23">Ткъа хӀара кхо стаг, Шадрак, Мешак, Ӏабди-Нага а, вихкина а волуш, цӀе летта йогучу пеша вуьйжира.</verse>
				<verse number="24">Жимма хан яьлча, пеша хьоьжучу Набухди-Нецара, инзар а ваьлла, сихха хьала а иккхина, шена гонах болчу элашка хаьттира: «Кхо стаг вацара вай вихкина цӀерга кхоьссинарг?» — аьлла. Цара жоп делира паччахье: «ЦӀена бакъ ду-кх иза, паччахь!» — аьлла.</verse>
				<verse number="25">Цара аьллачунна дуьхьал паччахьо элира: «ХӀан-хӀан, вихкина воцу виъ стаг го суна цу чохь цӀарна юккъехула лелаш, цхьа а тайпана зен ца хилла царна, ткъа воьалгӀачун васт маликачух тера ду».</verse>
				<verse number="26">Йогучу пешан кевне а вахана, Набухди-Нецара элира: «Шадрак, Мешак, Ӏабди-Нага, Веза Воккхачу Делан леш, арадовла, схьадуьйла!» ТӀаккха Шадрак, Мешак, Ӏабди-Нага а цӀеран юккъера арабевлира.</verse>
				<verse number="27">Схьагулбеллачу тхьамданашна а, мехкадайшна а, куьйгалхошна а, паччахьна гонах болчу элашна а гира хӀокху нехан догӀмашна тӀехь и цӀе ницкъ болуш ца хилар. Коьртара месаш а ца ягийнера, тӀера бедарш а хийца ца еллера, ур-атталла цӀеран хьожа-м яцара царех йогӀуш.</verse>
				<verse number="28">ТӀаккха Набухди-Нецара элира: «Хастам бу Шадракан а, Мешакан а, Ӏабди-Нагин а Далла, царна Шен малик даийтина волчу. Шех тешна, паччахьан омра кхочуш а ца дина, шайн Дела воцург лара а ца лерина, шайн Дела воцчунна цхьана а кхечу далла Ӏибадат а ца дина, шайн догӀмаш цӀерга тесна болу хӀорш кӀелхьарбаьхна Цо.</verse>
				<verse number="29">Ас сайгара омра луш ду муьлххачу а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а болчу нахах Шадракан, Мешакан, Ӏабди-Нагин а Дела сийсазвинарг, аьтта, кескаш йина карор ву, цуьнан цӀа саьлнаш йина карадойтур ду, цу Деле санна, кхин цхьана а Деле кӀелхьарваккхалур воцу дела».</verse>
				<verse number="30">Цул тӀаьхьа Шадрак, Мешак, Ӏабди-Нага а паччахьо Бавел-махкахь даржехь лакхабехира.</verse>
				<verse number="31">«ХӀара Набухди-Нецар-паччахьера кехат ду дерриге а лаьтта тӀехь дехаш долчу муьлххачу а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а нахе. Шу маьрша Ӏойла!</verse>
				<verse number="32">Лаьа суна Веза Воккхачу Дала сайна тӀехь гайтина долу инзаре гӀуллакхаш а, Ӏаламаташ а шуна дӀахаийта.</verse>
				<verse number="33">Ма даккхий ду Цо гойту Ӏаламаташ, ма нуьцкъала ду Цуьнан тамашийна гӀуллакхаш! Цуьнан пачхьалкх абаден пачхьалкх ю. Цуьнан олалла тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка ду.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">Со, Набухди-Нецар, аьтто а хуьлуш, сайн паччахьийн гӀишлошкахь паргӀат вехаш вара.</verse>
				<verse number="2">Амма, со кхеравеш, суна гинчу гӀено а, вижначохь аса йинчу ойланаша а, суна дуьхьал хӀуьттучу суьрташа а синтем байира сан.</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха аса омра дира, Бавел-махкара берриге а хьекъалалла дерш схьабалабе аьлла, цаьрга сайна гинчу гӀенан маьӀна тидийтархьама.</verse>
				<verse number="4">ХӀетахь баьхкира бозбунчаш а, эвлаяаш а, седа-жайна хьовсурш а, палтуьйсурш а. Аса сайн гӀан цаьрга дийцира, амма царна ца хиира цуьнан маьӀна.</verse>
				<verse number="5">ТӀаьххьара а безачу деланийн са шеца долу, Бел-Ташацар цӀе йолу Даниал веара суна тӀе. (И цӀе сан делан цӀарах схьаяьлла ю.) Цуьнга дӀадийцира аса сайн гӀан:</verse>
				<verse number="6">„Бел-Ташацар! Бозбунчийн коьртаниг! Суна хаьа хьоьца безачу деланийн са дуйла а, цхьа а къайле йовза хьуна хала ца хуьлийла а. Кхетавехьа со суна гӀенах дуьхьалхӀоьттинчу суьртах а, цуьнан маьӀнах а.</verse>
				<verse number="7">Вижначохь сан коьрта чохь дуьхьалхӀиттина суьрташ иштта дара: лаьтта юккъехь инзаре доккха дитт гира суна.</verse>
				<verse number="8">И дитт доккха а, онда а дара, стигала кхоччуш лекха а дара, дуьненан йистера дуьйна гуш а дара.</verse>
				<verse number="9">ТӀех хаза гӀаш а, шортта стоьмаш а, массарна тоъал юург а яра цунна тӀехь. Аренашкара дийнаташна цу диттана кӀел ӀиндагӀ карадора. Стигалшкара олхазарша цуьнан гаьннашна юккъехь бенаш дора. Цуьнан стоьмаш массо а са долчу хӀумано дуура.</verse>
				<verse number="10">Со вижначохь сайна дуьхьалхӀоьттинчу суьртехь суна гира Делан уллора долу гӀарол-малик стигалшкара охьадуссуш.</verse>
				<verse number="11">Цо мохь тоьххна чӀогӀа элира: ‘ХӀара дитт дӀахададе, цуьнан генаш а хададе. Цунна тӀера гӀаш охьадегаде. Цуьнан стоьмаш дӀасакхийса. Цу диттан кӀелхьара дийнаташ дӀайовлийта. Цуьнан гаьннашна тӀера олхазарш а дӀадахийта.</verse>
				<verse number="12">Амма аьчкан а, цӀестан а буржалшца дӀа а къовлий, цуьнан коьрта орам лаьттан бухахь бита, аренийн бецашна юккъехь. Стигаларчу тхине иза тӀунбайта, ткъа цуьнан дахар лаьттарчу бецашна а, дийнаташна а юкъахь хилийта.</verse>
				<verse number="13">Цунна, адамийн кхетам дӀа а баьккхина, экхан кхетам лур бу. Цунна ворхӀ зама гур ю.</verse>
				<verse number="14">Далла уллора долчу гӀарол-маликийн омрано билгалдаьккхина а дара, Далла уллохь болчеран кхелаца хӀоттийна а дара, бехачарна хаийтархьама, Веза Воккхачу Дала адамийн пачхьалкхашкахь олалла дойла а, уьш Шена луучунна Цо луш хилар а, адамашна юкъахь уггар а ларамза волчунна царна тӀехь олалла далар а’.</verse>
				<verse number="15">Иштта гӀан гира суна, Набухди-Нецар-паччахьна. Ткъа ахьа, Бел-Ташацар, цу гӀенан маьӀна де, хӀунда аьлча, сан пачхьалкхера цхьанна а хьекъалалла долчунна ца хиира цуьнан маьӀна дан. Амма хьоьга иза далур ду, хьоьца безачу деланийн са долу дела“».</verse>
				<verse number="16">«ТӀаккха Бел-Ташацар цӀе йолу Даниал цхьа хан яллалц цецваьллачохь Ӏийра, ойланаша сагатдора цуьнан. Къамел долош, паччахьо элира: „Бел-Ташацар! Ахь са ма гатде и гӀан бахьана долуш а, цуьнан маьӀнин бахьаненна а“. Бел-Ташацара, жоп луш, элира: „Сан олахо! Хьо ца везаш болчу мостагӀашна хуьлийла цу гӀенан маьӀна.</verse>
				<verse number="17">Хьуна гина долу доккха а, онда а дитт, стигала кхаччалц лекха а дара, дуьненан йистера дуьйна гуш а дара.</verse>
				<verse number="18">Цунна тӀехь инзаре хаза гӀаш а дара, алссам стоьмаш а, массарна баа кхача а бара. Цунна кӀелахь аренгара дийнаташ Ӏара, ткъа цуьнан гаьннашна юккъехь стигалшкара олхазарша бенаш динера.</verse>
				<verse number="19">Хьуна гина дитт сийлахь вазвина а, чӀагӀвелла а волу хьо, паччахь, ву. Хьан сийлалла, лакха а даьлла, стигалшка хьалакхаьчна. Хьан олалла дуьненан йисте кхаччалц ду.</verse>
				<verse number="20">Ткъа хьуна, ва паччахь, Далла уллора стигалшкара вуссуш волу гӀарол-малик гира. Цо элира: ‘И дитт дӀахададе, хӀаллакде, лаьттан бухахь цхьа коьрта орам бен ца буьтуш. Аьчкан а, цӀестан а буржалшца дӀа а къовлий, иза тӀунбайта стигаларчу тхине, аренийн дийнаташца хилийта цуьнан дахар, ворхӀ зама цунна тӀехула чекхъяллалц’, — бохург,</verse>
				<verse number="21">хӀара ду цуьнан маьӀна, Веза Воккхачу Дала билгал а даьккхина, хьуна, сан эла, паччахьна, хила кечдинарг:</verse>
				<verse number="22">адамех хьо дӀакъастор ву. Дийнаташца хьан вахар хир ду. Старана санна, бецаш яор ю хьуна. Стигаларчу тхино тӀадор ву хьо. ВорхӀ зама дӀаер ю, адамийн пачхьалкхаш тӀехь олалла деш верг Веза Воккха Дела хиларх а, уьш Цо Шена луъучунна луш хиларх а хьо кхетале.</verse>
				<verse number="23">Ткъа, диттан коьрта орам бита аьлла, динчу омрано гойту, олалла стигалшкара хиларна хьо къера хилча, хьан пачхьалкх юха а хьуна юьсург хилар.</verse>
				<verse number="24">Цундела, паччахь, хуьлийла сан хьехам хьуна диканна. Нийсо а лелаяй, хьайн къиношна геч а дайта, къечаьрца къинхетаме а хилий, хьайн харцонаш дӀа а яха. ТӀаккха хьан беркате хилар дахдала мега“.</verse>
				<verse number="25">Набухди-Нецар-паччахьна тӀехь и дерриг а кхочушхилира.</verse>
				<verse number="26">Шийтта бутт хан яьлча, Бавел-гӀалахь, паччахьан гӀишлойн шерачу тхов тӀехь лелаш, паччахьо элира:</verse>
				<verse number="27">„ХӀара яц ткъа аса олалла дечу хенахь сайн цӀе яккхийтархьама, сайн нуьцкъаллица сан пачхьалкхан цӀа хилийта йина йолу Бавел-гӀала!“</verse>
				<verse number="28">И дешнаш аьлла а валале, паччахьна стигалара аз хезира: „Паччахь Набухди-Нецар, хьоьга боху, паччахьалла дӀадели хьан!</verse>
				<verse number="29">Адамех дӀакъастош ву хьо. Аренгара дийнаташца вехар ву хьо. Бежанашца бецаш яор ю хьуна. Адамийн пачхьалкхаш тӀехь олалла деш верг Веза Воккха Дела хиларна а, уьш Шена луучунна Цо луш хиларна а хьо къера хилале, ворхӀ зама ер ю“.</verse>
				<verse number="30">Набухди-Нецарна тӀехь и дош цу сохьта кхочушхилира. Адамех дӀакъастийра иза. Бежано санна, бецаш юура цо. Цуьнан дегӀ стигалара тхино тӀундора. Цуьнан чоьш дахделлера, аьрзун пелагаш санна. Цуьнан, олхазаран санна, мӀараш яра».</verse>
				<verse number="31">«И денош дӀадевлча, аса, Набухди-Нецара, бӀаьргаш стигала хьалахьажийра. Кхетам меттахӀоьттира сан. Веза Воккхачу Далла хастам а бира ас, даим вехаш волу Дела ваз а вира ас. Цуьнан олалла хедар доцу олалла ду. Цуьнан паччахьалла тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка ду.</verse>
				<verse number="32">ХӀокху лаьтта тӀехь долу адамийн дахар хӀумма а доцург ду. Стигаларчу ницкъашна а, лаьтта тӀехь бехачарна тӀехь а Шена луъург деш ву Иза. Вац-кх цхьа а Цунна дуьхьало ян ницкъ болуш, я „Ахь хӀун дина?“ — аьлла, Цуьнга вистхила бакъо йолуш.</verse>
				<verse number="33">Сан кхетам меттахӀоьттинчу хенахь сан пачхьалкхан сийлалла а, сан хьолалла а, хьалхалера дарж а юхадирзира соьга. ТӀаккха карийра со суна гонах хиллачу элашна а, уллорчу куьйгалхошна а. Со паччахьалла дан юхаметтахӀоттийра, сан сийлалла кхин а лакхаделира.</verse>
				<verse number="34">ХӀинца аса, Набухди-Нецара, ваз а во, лакха а воккху стигалшкара Паччахь, сий а до Цуьнан. Массо а Цо деш долу хӀума нийса ду, ткъа дерриге а Цуьнан некъаш бакъ ду. Дагца куралла ерш охьатаӀо Иза ницкъ болуш а ву».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">Эзарнашкахь болчу шен уллорчу куьйгалхошна доккха той хӀоттийнера Белшацар-паччахьо. Эзарнашкахь болчу хьешашца цхьаьна чагӀар мийлира цо.</verse>
				<verse number="2">ЧагӀаро вахийначу Белшацара шен дас, Набухди-Нецара, Ярушалаймера Делан цӀийнан чуьра араяьхна еана йолу дашо а, дато а пхьегӀаш чуяр тӀедиллира, царна чуьра шега а, шен уллорчу куьйгалхошка а, шен зударшка а, шен гӀарбашашка а маларш мийлийтархьама.</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха Ярушалаймера Делан цӀийнера еана йолу и дашо пхьегӀаш чуеара. Цуьнан уллорчу куьйгалхоша а, цуьнан зударша а, цуьнан гӀарбашаша а царна чуьра маларш мийлира.</verse>
				<verse number="4">ЧагӀар а муьйлуш, деших а, детих а, йоьзах а, эчигах а, дечигах а, тӀулгах а бина болу шайн деланаш базбора цара.</verse>
				<verse number="5">Оццу хенахь цӀеххьана, пена чуьра схьадовлуш санна, адаман куьйган пӀелгаша, ара а девлла, паччахьан цӀа чохь къуьдана дуьхьал болчу пена тӀерачу кирана тӀехь йозанаш деш гира паччахьна.</verse>
				<verse number="6">Юьхьа тӀера хийцавелира иза. Ойланаша хьовзийра иза. Цуьнан настарш малъелира, голаш, бегош, вовшахбетталора.</verse>
				<verse number="7">ЧӀогӀа мохь туьйхира паччахьо, бозбунчаш а, седа-жайна хьовсурш а, палтуьйсурш а схьабалабе аьлла. Уьш чубалийча, паччахьо Бавел-мехкан хьекъалалла долчаьрга элира: «ХӀара йоза деша а дешна, цуьнан маьӀна соьга дийцинчунна паччахьниг санна долу цӀен духар а лур ду, цуьнан коча дешин зӀе а уллур ю. Пачхьалкхехь даржехь кхоалгӀаниг лоруш олахо а вийр ву аса цунах».</verse>
				<verse number="8">Амма оцу чубаьхкинчу хьекъалалла долчех цхьанна а и йоза деша а, цуьнан маьӀна дан а ца хиира.</verse>
				<verse number="9">Белшацар-паччахьан чӀогӀа синтем байнера, цуьнан юьхьсибат хийцаделлера, цуьнан уллора куьйгалхой, шаьш хӀун дан деза ца хууш, боьхнера.</verse>
				<verse number="10">Ткъа паччахьан нана, паччахьан а, цуьнан уллорчу куьйгалхойн а къамелаш шена хазар бахьана долуш, чуеара. Къамел долош, цо элира: «Паччахь, вехийла хьо даим! Хьан ойланаша ма хьийзавойла хьо, юьхьсибат ма хийцалойла хьан!</verse>
				<verse number="11">Шеца безачу деланийн са долуш цхьа къонах ву хьан пачхьалкхехь. Деланашкара долуш санна, серло, хьекъал, хьекъалалла цуьнгахь карийнера, хьан дас олалла динчу хенахь. ХӀетахь хьан дас Набухди-Нецар-паччахьо и къонах, бозбунчашна а, эвлаяашна а, седа-жайна хьовсучарна а, палтуьйсучарна а тӀехь коьртаниг а вина, дӀахӀоттийнера. И динера хьан дас ша паччахь волуш,</verse>
				<verse number="12">цуьнгахь, паччахьо Бел-Ташацар аьлла цӀе хийцинчу оцу Даниалехь, къаьсттина дукха кхетам, хаарш, хьекъал дара. ГӀенаш дийца а, ца кхетачун маьӀна дан а, хала долу хӀума цхьалхадаккха а хаьара цунна. Цундела Даниал схьавалавайта, тӀаккха цо дуьйцур ду йозанан маьӀна».</verse>
				<verse number="13">Даниал паччахьна тӀевалийра. Паччахьо, хаттар а деш, элира: «Хьо вуй сан дас, паччахьо, ЯхӀуд-махкара балийна йийсарехь болчу яхӀудхойх цхьаъ волу Даниал?</verse>
				<verse number="14">Хьоьца безачу деланийн са хиларх а, серло а, кхетам а, лаккхара хьекъалалла а хьоьгахь карорах а лаьцна суна хезна.</verse>
				<verse number="15">ХӀара хьекъалалла дерш а, бозбунчаш а балийнера со волчу, йоза дешийтархьама а, цуьнан маьӀна соьга дийцийтархьама а, амма царна суна иза дийца ца хии.</verse>
				<verse number="16">Ткъа хьох лаьцна суна хезнера дуьйцуш, маьӀна дан а, хала долу хӀума цхьалхадаккха а хьуна хаьа аьлла. Делахь, хӀара яздина долу йоза деша а дешна, ахь цуьнан маьӀна дахь, хьуна паччахьниг санна долу цӀен духар а тӀедухур ду, иштта дашо зӀе хир ю хьан кочахь, цул сов, сан пачхьалкхехь даржехь кхоалгӀаниг а волуш, олахо хир ву хьох!»</verse>
				<verse number="17">ТӀаккха, паччахье жоп а луш, Даниала элира: «Хьайн совгӀаташ хьайна дита я кхечунна дӀало, ткъа яздина дерг ас паччахьна доьшур а ду, цуьнан маьӀна цунна дуьйцур а ду.</verse>
				<verse number="18">Ва паччахь! Веза Воккхачу Дала хьан дена, Набухди-Нецарна, совгӀат а дина, паччахьалла а, возалла а, сийлалла а, цӀе яккхар а деллера.</verse>
				<verse number="19">Дала цунна елла йолчу сийлаллех массо а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а долу адамаш цунах кхералора, озалора. Шена лиънарг воьра цо, шена лиънарг дийна вуьтура цо. Шена лиънарг вазвора, шена лиънарг кӀезиг хоьтуьйтура.</verse>
				<verse number="20">Амма цуьнан дог курадаьлча, синца иза тӀех къиза дарвелча, цуьнгара паччахьалла дӀадаьккхира, цуьнан цӀе яккхар дайира.</verse>
				<verse number="21">Иза адамех дӀахадийра. Цуьнан дог дийнатийн дагах тарделира. Иза вехира варрашца, старана санна, бецаш яайора цунна. Стигалара тхино цуьнан дегӀ тӀададора. Иштта дара, Веза Воккхачу Дала адамийн пачхьалкхаш тӀехь олалла деш хиларх а, Цо Шена луъу паччахьаш дӀахӀиттабарх а, Набухди-Нецар кхетталц.</verse>
				<verse number="22">Амма ахьа, цуьнан кӀанта Белшацара, и дерриге а хуъушехь, Далла хьалха кӀезиг ца хетийти хьо,</verse>
				<verse number="23">ткъа стигалшкара Везачу Элана дуьхьал а ваьлла, Цуьнан ЦӀенна чуьра пхьегӀаш яийтира ахь. Ахьа а, хьан уллорчу куьйгалхоша а, хьан зударша а, хьан гӀарбашаша а царна чуьра чагӀар мийлира. ХӀумма а гуш, хезаш, хууш боцу дато а, дашо а, йоьзан а, аьчкан а, дечиган а, тӀулган деланаш ахь, базбеш, хастийра. Ткъа хьан садеӀар а, ахь мел боккху ког а карахь волчу Делан ахь сий ца дира.</verse>
				<verse number="24">Цундела даийтина Делера и куьг а, яздина хӀара йоза а.</verse>
				<verse number="25">ХӀара ду яздинарг: „МАНЕЙ, МАНЕЙ, ТАКХЕЛ, УПАРСИН“.</verse>
				<verse number="26">Цу дешнийн маьӀна хӀара ду: „МАНЕЙ“ бохург — хьуна паччахьалла дан Ша делла денош, дагар а дина, Дала чекхдаьхна бохург ду.</verse>
				<verse number="27">„ТАКХЕЛ“ — хьо, Делан терзана тӀехь оьзча, буьззина мах боцуш карийна бохург ду.</verse>
				<verse number="28">„УПАРСИН“ — хьан пачхьалкх, екъа а екъна, мадайхошна а, парсихошна а дӀаелла бохург ду».</verse>
				<verse number="29">ТӀаккха, Белшацаран омрица, Даниална, и вазвеш, паччахьниг санна долу цӀен духар а тӀекхоьллира, коча дашо зӀе а оьллира, иза пачхьалкхехь даржехь кхоалгӀа олахо ву аьлла, дӀа а кхайкхийра.</verse>
				<verse number="30">Ткъа хашадхойн паччахь Белшацар цу буссехь вийра.</verse>
				<verse number="31">Цул тӀаьхьа паччахьалла кхузткъе ши шо долчу мадайхойн махкара Дари-Ваша цӀе йолчу паччахьна карадеара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="6">
				<verse number="1">Пачхьалкхан массо а маьӀӀехь шен олалла чӀагӀдан, Дари-Ваша-паччахьна бегӀийла дара шен пачхьалкхана тӀехь цхьа бӀе ткъа тхьамда хӀоттор.</verse>
				<verse number="2">Паччахьо оцу тхьамданашна тӀе кхо эла дӀахӀоттийра, царех цхьаъ Даниал а волуш. Цу тхьамданашка пачхьалкхехь долу хьал элашка дӀадийцийтархьама а, шена болучу пайданах ца валархьама а динера цо иза.</verse>
				<verse number="3">Даниал кхечу элел а, тхьамданел а къаьсташ вара: цуьнгахь къаьсттина тӀех долу хьекъалалла дара. Ерриге а пачхьалкхана тӀехь иза коьртаниг а вина, дӀахӀотто дагадеанера паччахьна.</verse>
				<verse number="4">Цундела пачхьалкхана тӀехь урхалла дарехь Даниал бехке ван бахьана лоьхуш бара элий а, тхьамданаш а. Амма иза тешаме волу дела, царна цхьа а бахьана ца карадора. Цуьнгара цхьана а тайпанара ледарло ца йолура, цхьа а бехк баккха хӀума а ца нислора.</verse>
				<verse number="5">«Нагахь санна Даниал шен динан парзаш кхочушдарца вай бехке ца вахь, цунна дуьхьалдаккха вайна кхин бахьана карор дац», — элира цу наха.</verse>
				<verse number="6">Цу элаша а, тхьамданаша а къайлаха барт бира паччахьна тӀебаха. Шаьш паччахь волчу баьхкича, цуьнга иштта элира цара: «Дари-Ваша-паччахь! Вехийла хьо даим!</verse>
				<verse number="7">Массо а элаша а, тхьамданаша а, мехкан дайша а, хьехамчаша а, коьртачу кхелахоша а, вовшашлахь барт бина хьоьгара паччахьан омра далийта, ткъе итт дийнахь хьоьга, паччахь воцучуьнга, цхьаьнгга а кхечу деле я адаме дехар динарг лоьмашна даьккхинчу ор чу кхосса аьлла.</verse>
				<verse number="8">И омра, цхьа а хийцамаш бан йиш йоцуш хилар билгал а доккхуш, дӀаязде. ТӀаккха, мадайхойн а, парсихойн а Ӏедалехь санна, и чӀагӀо йохо йиш хир яц».</verse>
				<verse number="9">И омра, дӀа а яздина, Дари-Ваша-паччахьо тӀечӀагӀдира.</verse>
				<verse number="10">Ткъа Даниал, паччахьо и омра чӀагӀдинийла шена хиъча, шен цӀа чу вахара. Цуьнан лакха тӀехь йолчу чоьнан кораш Ярушалаймехьа дӀадиллина дара. ХӀинццалц ша дийнахь кхузза ма-дарра, гора а хӀоьттина, шен Далла доӀанаш а дина, Цунна хастамаш бира Даниала.</verse>
				<verse number="11">Къайлаха барт а бина, Даниал тергалвеш лелачу адамашна, Далла хьалха доӀа а деш, шена Делера гӀо доьхуш, гира хӀара.</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха паччахь волчу а баьхкина, паччахье цо дина омра дагадаийтира цара: «Хьо вац и омра чӀагӀдинарг, муьлхха а стаг ткъе итт дийнахь, хьо воцучуьнга, цхьанна а адаме я Деле дехар динарг лоьмашна даьккхинчу ор чу кхосса аьлларг?» Паччахьо жоп делира: «И дош чӀагӀо йолуш ду, мадайхойн а, парсихойн а Ӏедал санна, цхьа а хийцам бан йиш а йоцуш».</verse>
				<verse number="13">«Йийсарехь болчу яхӀудхойх волчу Даниала, я хьо, паччахь, я ахь чӀагӀбина болу сацам тергал ца беш, дийнахь кхузза доӀанаш до, гора а хӀуттий» — аьлла, дийцира цара паччахье.</verse>
				<verse number="14">И шена хезча, паччахьна чӀогӀа халахеттера. Даниал кӀелхьарваккха дагахь, малх бузале цунна чӀогӀа гӀо дан гӀоьртира иза.</verse>
				<verse number="15">Амма цу наха, цхьаьна а кхетта, чӀогӀа хьовзийра паччахь. Цара бохура: «Хаа ду хьуна, паччахь, мадайхойн а, парсихойн а Ӏедалехь цхьаьна а билгалдаккхаро я сацамо паччахьо чӀагӀдинарг хийца йиш йоцийла».</verse>
				<verse number="16">ТӀаккха паччахьо Даниал, шена тӀе а валавайтина, лоьмаш чохь долчу ор чу кхоссийтира. Даниале паччахьо элира: «Гуттара а ахь Шена Ӏибадат деш волчу хьан Дала хьо кӀелхьарвоккхур ву!»</verse>
				<verse number="17">ТӀаккха, тӀулг а беана, оран бертиг дӀакъевлира. Ткъа паччахьо иза шен а, шен уллорчу куьйгалхойн а мухӀарш тохарца дӀакъевлира, цхьана а стеган Даниалх бина болу сацам хийца йиш ца хилийтархьама.</verse>
				<verse number="18">Цул тӀаьхьа паччахь, шен цӀийнан гӀишло чу а вахана, юург а ца юуш, дӀавижира, ур-атталла цхьана а тайпана шен самукъадаккхар а ца магош. Амма наб яйнера цуьнан.</verse>
				<verse number="19">Ӏуьйранна сатоссуш хьала а гӀаьттина, сихха лоьмийн орана тӀевахара паччахь.</verse>
				<verse number="20">Орана тӀе а веана, иза латкъамечу озаца Даниале кхайкхира: «Даниал! Дийна волчу Делан лай! Ахьа Шена гуттара а Ӏибадат деш волчу хьан Деле кӀелхьарваккхавеллий хьо?»</verse>
				<verse number="21">ТӀаккха Даниала паччахье элира: «Паччахь! Вехийла хьо даим!</verse>
				<verse number="22">Сан Дала Шен малик даийтина. Цу малико лоьмийн батош дӀакъевлина. Со Далла хьалха цӀена волу дела, лоьмаша цхьа а тайпана зен-зулам ца дина суна. Ткъа хьуна хьалха а, паччахь, аса цхьа а тайпана зулам ца дина».</verse>
				<verse number="23">Паччахьна иза чӀогӀа хазахийтира. Ор чуьра Даниал хьалаваккхийтира цо. Даниална тӀехь цхьа а тайпана хилла чов яцара, иза шен Делах тешаш хилла дела.</verse>
				<verse number="24">Паччахьо омра дира, Даниал бехке вина болу и нах а, церан бераш а, церан зударий а, схьа а балабай, ор чу кхийса аьлла. Орана буха а кхачале, лоьмашна карабахара уьш. ТӀаккха цара, даьӀахкаш а кегъеш, хӀаллакбира уьш.</verse>
				<verse number="25">Цул тӀаьхьа Дари-Ваша-паччахьо дуьнен чохь дехаш долчу массо а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а болчу нахе яздира: «Шу маьрша дехийла!</verse>
				<verse number="26">Ас омра до, сан пачхьалкхан массо а маьӀӀехь адамаш, кхерамах дуьзна, дегадойла Даниалан Далла хьалха аьлла, Иза дийна волу Дела хиларна а, Цуьнан дахар даим долу дела а. Делан пачхьалкх йохалур йоцуш ю. Цуьнан олалла кхачалур доцуш ду.</verse>
				<verse number="27">Стигалахь а, лаьтта тӀехь а тамашийна гӀуллакхаш а, тамашийна билгалонаш а гойту, паргӀат а воккху, кӀелхьара а воккху Цо. Лоьмийн ницкъах Даниал ПаргӀатваьккхинарг а Иза ву».</verse>
				<verse number="28">Цул тӀаьхьа Дари-Вашас паччахьалла динчу заманчохь а, парсихойн Къуреша паччахьалла динчу хенахь а, аьтто а хуьлуш, дика вехира Даниал.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="7">
				<verse number="1">Бавел-мехкан паччахьо Белшацара куьйгалла дечу хьалхарчу шарахь Даниална вижначохь гӀенах суьрташ дуьхьалхӀиттира. ХӀетахь и шена гина гӀан, цуьнан маьӀна а дуьйцуш, дӀаяздира Даниала.</verse>
				<verse number="2">Шен дийцар дӀадолош, цо яздинера: «Буьйсанна сайна дуьхьалхӀоьттинчу суьртехь стигалан еа а маьӀӀера хьоькхучу мохо хӀорд лестош гира суна.</verse>
				<verse number="3">Цул тӀаьхьа хӀорда чуьра, цхьаъ вукхунах тера а доцуш, доккха диъ экха араделира.</verse>
				<verse number="4">Хьалхарниг лом санна дара, амма аьрзунан санна тӀемаш дара цуьнан. Со хьийжира цуьнга, цуьнан тӀемаш схьа а даьхна, иза лаьттара хьалаайалц. И экха, адам санна, ирахӀоттийра. Цул тӀаьхьа цунна адаман кхетам белира.</verse>
				<verse number="5">Ченах тера а долуш, багарчу цергашна юкъахь бисина кхо пӀенда а болуш, цхьа агӀо хьалаайина а йолуш, шолгӀа экха дара лаьтташ. „ХьалагӀатта, шортта жижиг даа!“ — бохура цуьнга.</verse>
				<verse number="6">Цул тӀаьхьа цӀоькъабергах тера долу кхин а цхьа экха гира суна. Цуьнан букъ тӀехь олхазарийн санна биъ тӀам бара. Цу экхан биъ корта а бара, цунна делла олалла а дара.</verse>
				<verse number="7">Цул тӀаьхьа, къемате ирча а, чӀогӀа онда а долуш, доьалгӀа экха а гира суна буса дуьхьалхӀиттинчу суьрташкахь. Цуьнан, яккхий а йолуш, аьчка цергаш яра. Цо шен мостагӀий дӀакхоллура, ткъа йиснарг когашца хьошура. Иза вукхарал къаьсташ а дара, цуьнан итт маӀа а яра.</verse>
				<verse number="8">Со цу маӀашка хьоьжуш вара. Цу хенахь оцу маӀашна юккъехула кхин а цхьа жимо маӀа хьалаелира, ткъа хьалхалера кхо маӀа цунна хьалхахь орамашца бухъехира. Цу маӀана тӀехь бӀаьргаш дара, адамийн санна а долуш, кура къамел деш бага а яра».</verse>
				<verse number="9">«Со хьоьжучу хенахь паччахьан гӀанташ дӀахӀиттийра. Цу гӀантех цхьанна тӀе Хенара Къано охьахиира. Цуьнан духар, ло санна, кӀайн дара, ткъа Цуьнан коьртара месаш цӀеначу кхакхана тӀера чоьш санна яра. Иза тӀехиъна гӀант цӀеран алу санна дара, цуьнан чкъургаш летта цӀе яра.</verse>
				<verse number="10">И летта йогу цӀе Цуьнан хьалххула, доьду хи санна, арайолура. Багар а балур боцуш, эзарнашкахь дукха бара Цунна хьалхара гӀуллакхаш дийраш. Эзарзза эзарнаш долу адамаш дара Цунна хьалха лаьтташ. ТӀаккха кхел йийраш шайн болх боло охьахевшира, тептарш дӀаделладелира.</verse>
				<verse number="11">Со хьоьжуш лаьтташ, суна хезара цу маӀо деш долу кура къамелаш. Со хьоьжуш Ӏачу хенахь и доьалгӀа экха дийра, ткъа цуьнан дегӀ, кескаш а йина, дагадан цӀерга кхоьссира.</verse>
				<verse number="12">Ткъа кхечу акхарошна, церан олалла дӀа а даьккхина, кхидӀа яккха цхьа хан-зама а бен ца еллера.</verse>
				<verse number="13">Буьйсанна сайна дуьхьалхӀоьттинчу суьртехь стигаларчу мархашца вогӀу адамийн кӀантах тера цхьаъ гира суна. ТӀекхаьчна ваьлча, иза Хенара Къаночунна тӀевигира.</verse>
				<verse number="14">Олалла а, сийлалла а, паччахьалла а делира цунна. Массо а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а болчу наха цунна Ӏибадат дира. Цуьнан олалла хедар доцу олалла ду. Цуьнан пачхьалкх цкъа а юхур яц».</verse>
				<verse number="15">«Коьртарчу суьрташа сан, Даниалан, дегӀа чуьра са карзах а даьккхира, синтем а байира.</verse>
				<verse number="16">Цигахь лаьттачех цхьанна тӀе а вахана, хӀокху сайна гуш долчун ша ма-дарра нийса маьӀна дар дийхира ас. ТӀаккха малико, маьӀна а деш, дийцира соьга:</verse>
				<verse number="17">„И доккха диъ экха — иза Лаьтта тӀехь хьалахӀутту йолу йиъ пачхьалкх хир ю бохург ду.</verse>
				<verse number="18">Цул тӀаьхьа Веза Воккхачу Делан нехан карадоьрзур ду паччахьалла. Цара абаделлалц олалла а дийр ду“.</verse>
				<verse number="19">ТӀаккха доьалгӀачу экханах лаьцна бакъдерг хаа лиира суна. И экха вукхарах тера доцуш, къемате ирча дара. Аьчка цергаш а, цӀестан мӀараш а яра цуьнан. Юуш, отуш, йиснарг когашца хьоьшуш дара иза.</verse>
				<verse number="20">Цуьнан коьрта тӀехь йолчу итт маӀах а, шена тӀехь бӀаьргаш долчу а, кура луьйш бага йолчу а, вукхарал езо хетачу кхечу маӀах а лаьцна хаа лиира суна. И яра, шена хьалхара кхо маӀа охьа а йожош, керла яьлла маӀа.</verse>
				<verse number="21">Цу маӀо Веза Воккхачу Делан нахаца тӀом беш а, царна тӀехь толам боккхуш а гира суна,</verse>
				<verse number="22">Хенара Къано схьаваллалц. ТӀаккха, Веза Воккхачу Дала кхел яр дӀаделира Шен нехан кара. Цул тӀаьхьа паччахьалла Делан нахе кхочу хан тӀееара.</verse>
				<verse number="23">МаьӀна а деш, соьга иштта элира: „ДоьалгӀа экха — иза Лаьтта тӀехь, массо а кхечу пачхьалкхех тера а йоцуш, йоьалгӀа пачхьалкх хир ю бохург ду. Дерриге а Латта цу пачхьалкхо Ӏуьйшуш, хьоьшуш, отуш хир ду.</verse>
				<verse number="24">Итт маӀо гойту цу пачхьалкхера итт паччахь вериг хилар. Царал тӀаьхьа, царах тера а воцуш, кхин цхьа паччахь вер ву. Цо царна юкъара кхо паччахь охьатаӀор ву.</verse>
				<verse number="25">Иза Веза Воккха Дела емалвеш а хир ву, Веза Воккхачу Делан нахана таӀзар а дийр ду цо. Церан деза денош а, Ӏедал а хийца гӀертар ву иза. И нах цуьнан кара дӀалур бу зама а, заманаш а, ахзама а чекхъяллалц.</verse>
				<verse number="26">Цул тӀаьхьа охьаховшур бу кхел йийраш шайн болх дӀаболо. Олалла цуьнгара дӀадоккхур ду иза гуттаренна а хӀаллаквархьама а, вохорхьама а.</verse>
				<verse number="27">Ткъа паччахьалла а, олалла а, ерриге а стигална кӀел йолчу пачхьалкхийн сийлалла а дӀалур ду Веза Воккхачу Делан болчу нехан къоман кара. Делан паччахьалла абаделлалц долу паччахьалла ду. Массо а олахой Цунна Ӏибадат деш а, муьтӀахь а хир бу“.</verse>
				<verse number="28">Кху тӀехь сан дийцар чекхдолу. Со, Даниал, сан ойланаша чӀогӀа кхерийнера, со юьхь-басца а хийцавеллера, амма и дийцар ас сайн даг чохь латтийра».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="8">
				<verse number="1">Суна, Даниална, Белшацар-паччахьо паччахьалла динчу кхоалгӀачу шарахь хьалха дуьхьалхӀоьттинчу суьртал тӀаьхьа юха а дуьхьалхӀоьттира цхьа сурт.</verse>
				<verse number="2">Сайна дуьхьалхӀоьттинчу суьртехь пачхьалкхан Ӏейлам олучу декъа тӀера Шушан-гӀалахь Улай-хин йистехь со лаьтташ волуш гира суна.</verse>
				<verse number="3">БӀаьргаш хьалахьажийча, суна хӀара сурт гира: хин йистехь лаьтташ цхьа ка бара, цуьнан ши маӀа яра. Ший а маӀа йоккха яра, амма цхьа маӀа вукхул йоккхо а яра, и йоккха маӀа тӀаьхьа хьалаяьлла а яра.</verse>
				<verse number="4">Цу коьмо малхбузехьа а, къилбаседехьа а, къилбехьа а маӀаш Ӏуьттура. Цхьанна а экхане цунна дуьхьало ца ялора, цхьа а цунах кӀелхьара а ца далалора. Цо шена луъург а дора, кураллаш а йора.</verse>
				<verse number="5">Со цу белхан ойла еш волчу хенахь, малхбузехьара, сов сиха ярна, лаьттах ког а ца кхеташ, цхьа бож яра йогӀуш. Цу божан шина бӀаьрга юккъехь схьакъаьсташ гуш цхьа маӀа яра.</verse>
				<verse number="6">Хин йистехь суна гиначу ши маӀа йолчу коьмана шен чӀогӀачу дераллица чухьаьдира и бож.</verse>
				<verse number="7">КхидӀа суна гира цу божо, дар а елла, цу коьмана тӀе а кхетта, цунах лата а летта, иза эшош. Цуьнан ши маӀа йохийра цо. Цу коьман ницкъ ца тоьира божана дуьхьал лата. Цу божо, тоьхна лаьтта а божийна, хьаьшна дӀабахийтира ка. Вацар-кх цхьа а и ка цу божан карара кӀелхьарбаккхалур волуш.</verse>
				<verse number="8">Циггахь бож чӀогӀа кураелира, амма иза чӀагӀъелла дӀахӀоьттича, цуьнан йоккхаха йолу маӀа кагъелира. Цуьнан метта, стигалара мох хьоькхучу еа а агӀор а йирзина, йиъ маӀа тӀеелира.</verse>
				<verse number="9">Царах йолчу цхьана маӀана тӀе кхин цхьа жима маӀа елира. Иза къилбехьа а, малхбалехьа а, «къаьсттина хазачу махкахьа» а чӀогӀа дӀасаяьржира.</verse>
				<verse number="10">Стигаларчу ницкъашна тӀелаттал чӀагӀ а елла, стигаларчу ницкъийн а, седарчийн а цхьадолу дакъа лаьтта охьа а дожийна, хьийшира цо.</verse>
				<verse number="11">Ур-атталла цу ницкъийн Элана а дуьхьалъелира иза. Цунна хӀора дийнахь сагӀа даккхар а дихкира цо, Цуьнан цӀа а сийсаздаьккхира цо.</verse>
				<verse number="12">Делан эскаро къинош леторна тӀера хӀора дийнахь доккху сагӀа дӀатесира. Билггал бакъдерг лаьтта тӀе охьатаӀийра. Цу маӀан ша мел дечунна тӀехь аьтто болура.</verse>
				<verse number="13">Суна хезира цхьа малик цхьаьнга дистхуьлуш: «Мел яхлур ю те хӀора дийнахь доккхучу сагӀанах а, Далла вас еш долу къилахь хӀуманаш лелорах а, Делан цӀа а, Делан эскар а когашца хьешарх а лаьцна дуьхьалхӀуттучу суьртехь юьйцу зама?»</verse>
				<verse number="14">Суна хезира вукхо делла жоп: «Ши эзар кхо бӀе суьйре а, Ӏуьйре а яьлча, Делан цӀа цӀанлур ду».</verse>
				<verse number="15">ХӀара сурт суна гӀенах дуьхьалхӀоьттинчул тӀаьхьа, со, Даниал, цуьнан маьӀна лоьхуш вара. Ткъа цӀеххьана суна хьалха стеган аматехь волу цхьаъ дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="16">ТӀаккха Улай-хин тӀера адаман аз хезира суна. Цу озо, кхойкхуш, бохура: «Джабраил-малик, кху суьртан маьӀна дехьа цунна!»</verse>
				<verse number="17">Цул тӀаьхьа со лаьтташ волчу метте тӀевеара иза. И тӀевеача, кхеравелла, бертал охьавуьйжира со. Цо элира соьга: «Хаалахь, адаман кӀант, хӀара сурт дуьненан чаккхенан заманца дозуш дуйла!»</verse>
				<verse number="18">Иза соьга вистхуьлучу хенахь, чохь са а доцуш, бертал воьжна Ӏара со. Ткъа цо, соьга куьг а кховдийна, со когаш тӀе дӀахӀоттийра.</verse>
				<verse number="19">«ХӀинца Делан оьгӀазлонан тӀаьхьарчу деношкахь хиндерг дуьйцур ду ас хьуна, дуьненан чаккхенан билгалъяьккхинчу заманца иза дозуш долу дела, — элира соьга малико. —</verse>
				<verse number="20">Хьуна гина болу ши маӀа йолу ка — уьш мадайхойн а, парсихойн а паччахьаш бу.</verse>
				<verse number="21">Ткъа хьуна гина йолу месала бож — иза грекийн паччахь ву. Цуьнан бӀаьргашна юккъехь йолу йоккха маӀа — иза цу грекийн дуьххьарлера паччахь ву.</verse>
				<verse number="22">И маӀа кагъелира, ткъа цуьнан метта кхин а йиъ маӀа тӀеелира. Цу халкъах йиъ пачхьалкх хилла дӀахӀуттур ю, амма, хӀара санна, ницкъ болуш хир яц уьш бохург ду иза.</verse>
				<verse number="23">Ткъа церан паччахьалла чекхдолуш, уьш кхоччуш къинош латийна бевллачу хенахь, эхь доцу, тешнабехк барехь корматалла шегахь йолу цхьа паччахь дӀахӀуттур ву.</verse>
				<verse number="24">Цуьнан ницкъ чӀагӀлур бу, цуьнан шен ницкъаца и ца хилахь а. Тамашийна бохамаш бан а, ша мел дечунна тӀехь аьтто хила а, онда ницкъ берш а, Делан халкъ а хӀаллакдан а ларош хир ву иза.</verse>
				<verse number="25">И паччахь хьекъал долуш хиларна, тешнабехк барехь аьтто хуьлуш хир ву. Цуьнан даг чу куралла южур ю. ДӀахьедар а ца деш, халкъашна юкъара дукхахберш цо цӀеххьана хӀаллакбийр бу. Уггар а лакхара волчу паччахьна дуьхьал вер ву иза, ткъа иза хӀаллаквийр ву, амма иза адаман карах хир дац.</verse>
				<verse number="26">Суьйренех а, Ӏуьйренех а лаьцна хьуна гинарг — иза билггал бакъ ду, ткъа ахьа и хьайна гина сурт къайладаккхий дита, иза кестта хиндолчух лаьцна доцу дела».</verse>
				<verse number="27">Масийтта дийнахь гӀора а дайна, цомгуш хилла Ӏийра со, Даниал. Цул тӀаьхьа а бен паччахьан гӀуллакхаш дан вола ца велира со. ДуьхьалхӀоьттинчу суьртах со цецваьллера, со цунах ца кхетара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="9">
				<verse number="1">Мадайхойн тайпанара волчу Ахьаш-Варушан кӀант Дари-Ваша хашадхойн пачхьалкхана тӀехь паччахь хӀоьттира.</verse>
				<verse number="2">Цо паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь Делан Йозанаш толлуш хьесап дича, со, Даниал, Везачу Эло Ярми-ЯхӀу-пайхамаре Ярушалайм-гӀала кхузткъе итт шарахь бохам хилла лаьттар ю аьллачу хенах кхийтира.</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха доӀанца, дехарца, марха кхабарца, сингаттаме хилар гойту бедар юхарца, сайна тӀе чим тасарца ас сайн дог-ойла Хьалдолчу Далла тӀеерзийра.</verse>
				<verse number="4">Тхаьш летийначу къиношна къера а хуьлуш, ас сайн Везачу Деле доӀа дира. Ас элира: «Доьху Хьоьга, Хьалдолу Дела! Хьо сийлахь а, кхераме а ма ву! Хьайн весеташ кхочушдеш болчаьрца Айхьа бина барт ларбо Ахь! Хьо везаш болчарна Хьайн хедар боцу безам а ма гойту Ахь!</verse>
				<verse number="5">Къинош а летадора, харцонаш а лелайора, хьарамдерг а леладора оха. Дуьхьал а девлла, Хьан весеташна а, парзашна а тӀерадевллера тхо.</verse>
				<verse number="6">Хьан цӀарах тхан паччахьашка, тхан элашка, тхан дайшка, тхан дерриге а халкъе бистхуьлуш болчу Хьан пайхамаршка ла ца дугӀура оха.</verse>
				<verse number="7">Хьалдолу Эла, Ахьа нийсо ма лелайо. Ткъа тхо, яхӀудхой а, Ярушалайм-гӀалин бахархой а, массанхьа а бехаш болу исраилхой а юьхьӀаьржачу хӀиттина. Тешаме а ца хилла, Хьайх дӀадерзаре терра, Ахьа дӀасалаьхкина тхо юххерчу а, генарчу а мехкашка.</verse>
				<verse number="8">Ва Веза Эла! Тхан паччахьаш а, элий а, дай а юьхьӀаьржачу хӀиттина бу, оха Хьуна хьалха къинош летийна дела.</verse>
				<verse number="9">Ткъа тхан Хьалдолу Дела къинхетаме а ву, гечдеш а ву, Шена дуьхьал тхо эргӀаддевллехь а.</verse>
				<verse number="10">Шен леш болчу пайхамаршкахула баийтина болу Цуьнан хьехамаш кхочушбархьама, тхайн Везачу Делан озе ла ца дугӀура оха.</verse>
				<verse number="11">Дерриг а Исраилан халкъо дӀатеттира Хьан товрат-хьехамаш. Хьан озе ла а ца дугӀуш, иза дӀадирзира Хьоьгахьара. Цундела вайх неӀалт а, сардам а бахана, цу Делан лай волчу Муса-пайхамаро шен товрат-хьехамаш тӀехь язбина болу, хӀунда аьлча Далла хьалхахь вай къинош хьерчийна.</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха Дала кхочушдира тхоьга а, тхан мехкан куьйгалхошка а аьлла долу дешнаш. Цо тхуна тӀе вуно боккха бохам баийтира. Ярушалайм-гӀалина тӀехь хилларг цкъа а стигал кӀел хилла а дац.</verse>
				<verse number="13">Муса-пайхамаран товрат-хьехамаш тӀехь яздина ма-хиллара, бохам беана тхуна тӀе. Амма къинош леточуьра юха а доьрзуш, Хьо тешаме хиларан терго а еш, оха ца лийхира тхешан Веза Дела тхаьшна резахилийтар.</verse>
				<verse number="14">Везачу Эло, нийса хан тӀеяре а хьаьжна, вайна и бохам бина, хӀунда аьлча Ша деш долчу массо а гӀуллакхашна тӀехь бакъ ву вайн Веза Дела, амма вай ла ца дугӀура Цуьнан озе.</verse>
				<verse number="15">Ткъа хӀинца, Хьалдолу Дела, Ахьа Хьайн ницкъ болчу куьйгаца Хьайн халкъ Мисар-махкара арадаьккхина. И дар бахьана долуш Ахьа таханлера де тӀекхаччалц хьалаайина Хьайн цӀе. Оха къинош а летийна, хьарамдерг а лелийна.</verse>
				<verse number="16">Хьалдолу Эла! Хьайн йоллучу нийсонга хьаьжжина, дӀайоккхийла Ахь Хьайн оьгӀазалла а, дералла а Хьайн Ярушалайм-гӀалина тӀера. Иза Хьан гӀала а, Ахь базбина лам а ма бу! Оха летийна къинош а, тхан дайн талхар а бахьана долуш, гонах болчара массара а Ярушалайм-гӀалин а, Хьан халкъан а сий дайина.</verse>
				<verse number="17">ХӀинцца хазахьа, тхан Дела, Хьайн лай волчун доӀа а, даггара дехар а. Хьайн дуьхьа, Хьалдолу Эла, резахиларца хьажахьа дассийначу Хьайн дезачу цӀийне.</verse>
				<verse number="18">Сан Дела! ДӀахазахьа, Хьайн лерг схьа а дерзадай, хьажахьа, Хьайн бӀаьргаш дӀа а беллий, тхуна хиллачу бохаме а, Хьан цӀе йоккхуш йолчу гӀалане а, хӀунда аьлча тхайн доӀанаш до оха Хьуна хьалха, тхан бакъхилар бахьана а доцуш, ткъа Хьан боккхачу къинхетаме сатуьйсуш.</verse>
				<verse number="19">Хьалдолу Эла, дӀахазахьа! Хьалдолу Эла, гечдехьа! Хьалдолу Эла, тергам а бехьа, гӀуллакх а дехьа, Хьайн дуьхьа дӀа ца тоьттуш, сан Дела, хӀунда аьлча Хьан цӀе тиллина Хьан гӀалина а, Хьан халкъана а».</verse>
				<verse number="20">Аса а, сан Исраилан халкъо а летийначу къиношна со къера хилар дӀадийцира ас доӀанехь. Сайн Делан ломах лаьцна дехар а дӀаделхийра ас сан Везачу Далла хьалха.</verse>
				<verse number="21">Со доӀа дина валаза а волуш, суьйренан сагӀа доккху хан гергга йолуш, хьалха а сурт хӀуттуш суна гина, адамах тера долу Джабраил-малик, тӀемадаьлла, сихха схьадеара.</verse>
				<verse number="22">Со кхета а веш, соьца къамел а деш, цо элира: «Даниал! Хьо кхеторхьама деана со хӀинца.</verse>
				<verse number="23">Хьо доӀа дан волавелча, хьан доӀанна жоп делира. Хьо Далла везаш стаг волу дела, иза хьоьга дӀакхайкхо деана со. ХӀинца оцу дешан духе а кхиа, дуьхьалхӀоьттинчу суьртах а кхета.</verse>
				<verse number="24">Кхузткъе уьттазза ворхӀ-ворхӀ хан-зама билгалъяьккхина хьан халкъана а, хьан езачу гӀалина а зуламаш чекхдаха а, харцонийн чаккхенна тӀе мухӀар тоха а, къинош дӀадаха а, даим нийсо латтийта а, хӀуьтту суьрташ а, пайхамарша дийцинарш а чӀагӀдайта а, уггар Дезаниг къобалдайта а.</verse>
				<verse number="25">Делахь, хаа а хаалахь, кхета а кхеталахь: Ярушалайм-гӀала меттахӀотторах лаьцна даьлла омрана тӀера Дала къобалвинчу баьччанна тӀе кхачале, ворхӀазза ворхӀ-ворхӀ хан-зама а, кхузткъе шозза ворхӀ-ворхӀ хан-зама а ер ю. ТӀаккха меттахӀоттор ю и гӀала шен урамашца а, чӀагӀонашца а, амма халачу хенашкахь хир ду иза.</verse>
				<verse number="26">ТӀаккха, и кхузткъе шозза йолу ворхӀ-ворхӀ хан-зама яьлча, Дала къобалвинчун дахар хедар ду, цунна дуьхьалдаккха хӀумма а дацахь а. Ткъа гӀала а, Делан цӀа а вогӀур волчу баьччанан халкъо дохийна хир ду. ТӀаьхье хир ю цуьнан, дистина деанчу хин тӀаьхье санна. Ткъа дуьненан чаккхе тӀекхаччалц тӀом хир бу, билгалбаьхна болу бохамаш а хуьлуш.</verse>
				<verse number="27">Дукхахболчаьрца цу баьччано цхьана ворхӀ хан-заманна барт чӀагӀбийр бу. Цу ворхӀ заманан эханехь дийнаташ дагош сагӀа даккхар а, кхийолчу хӀуманийн сагӀа даккхар а сацор ду цо. Ткъа Делан цӀийнан уггар лекхачу меттехь вас еш йолу къемате хӀума дӀахӀоттор ю цо, билгалъяьккхина йолу чаккхе шена тӀекхаччалц».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="10">
				<verse number="1">Парси-мехкан паччахьо Къуреша паччахьалла дечу кхозлагӀчу шарахь Бел-Ташацар цӀе йолчу Даниална Делера хаам хиллера. И хаам бакъ а бара, ткъа цунах кхета чӀогӀа хала а дара. ДуьхьалхӀоьттинчу суьртехула Даниална дӀахоуьйтура цу хааман маьӀна.</verse>
				<verse number="2">Оцу деношкахь кхаа кӀирнах гӀайгӀане воьжна Ӏийра со, Даниал.</verse>
				<verse number="3">Тоьлла кхача ца буура ас. Жижиг а, чагӀар а ца дахара сан кийра. Кхо кӀира кхаччалц, дегӀан цӀано ярхьама хьожа йогӀу хьакхарш ца хьийкхира аса.</verse>
				<verse number="4">Ткъа хьалхарчу беттан ткъе доьалгӀачу дийнахь Хьиддекхал олучу доккхачу хин йистехь лаьтташ вара со.</verse>
				<verse number="5">Хьалахьаьжча, суна хӀара сурт гира: гатанан бедар а юьйхина, гӀодаюккъе Упаз-махкарчу деших дина доьхка а дихкина, цхьа стаг вара лаьтташ.</verse>
				<verse number="6">Цуьнан дегӀ, жовхӀар санна, къегаш дара. Цуьнан юьхь, стелахаьштиг санна, къегара. БӀаьргаш бара цуьнан богуш болу къуьданаш санна. Цуьнан куьйгаш а, когаш а къегачу цӀестан суьртехь дара. Цуьнан къамел адамийн тобанан аз санна дара.</verse>
				<verse number="7">Со, Даниал, воцучунна, цхьанна а и дуьхьалхӀоьттина сурт ца гира. Соьца хилла долчу адамашна а ца гира и сурт, делахь а боккхачу кхерамо дӀалецира уьш, тӀаккха дӀаловчкъа дӀадевдира уьш.</verse>
				<verse number="8">Со цхьа висира. Оцу дуьхьалхӀоьттинчу Ӏаламат доккхачу суьрте хьоьжура со. Сан гӀора дайра, со докъан васте вахара, сан ницкъ метта ца хӀуттура.</verse>
				<verse number="9">ТӀаккха цуьнан дешнийн аз хезира суна. Цуьнан дешнийн аз сайна ма-хеззина, Ӏада а вина, бертал а воьжна, лаьтта тӀехь Ӏуьллура со.</verse>
				<verse number="10">Цу хенахь, сан дегӀе зуз а доуьйтуш, сох цхьа куьг хьакхаделча, сан голаш тӀе а, куьйгаш тӀе а веаларахӀоттийра со цу куьйго.</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха цу стага элира соьга: «Даниал, Далла везаш волу стаг! ХӀинца со хьайна тӀеваийтина дела, ас хьайга эр долчу дешнийн духе кхиалахь. Хьайн когаш тӀе нийса дӀахӀотта». Цо и дешнаш сайга аьлча, вегош, хьалагӀаьттира со.</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха цо соьга элира: «Ма кхера, Даниал. Далла хьалха хьайн дог эсала а дина, хӀокху хаамах кхета гӀерташ, ахь дина доӀанаш дуьххьарлерчу дийнахь дуьйна Далла дӀахезна. Ахь дехна дела веана со.</verse>
				<verse number="13">Амма Парси-пачхьалкхана тӀехь олалла деш волу жинийн эла ткъе цхьана дийнахь суна дуьхьало еш лаьттира. Ткъа коьртачу эла-маликех цхьаъ долу Микаал-малик суна гӀо дан деара, со Парси-мехкан паччахьна уллохь хьевелла дела.</verse>
				<verse number="14">ХӀинца хьан халкъах тӀаьхьарчу хенашкахь хӀун хир ду аьлла, хьуна хаам бан веана со, хӀунда аьлча дуьхьалхӀоьттина хьуна гина сурт цу тӀедогӀу долчу деношца доьзна ду».</verse>
				<verse number="15">И дешнаш соьга цо олучу хенахь, мотт а сецна, аса корта охьатаӀийра.</verse>
				<verse number="16">Адамийн сибатехь волу цхьаммо сан балдех куьг хьаькхира, тӀаккха со, бага а гӀаттийна, къамел дан волавелира. Сайна хьалха лаьтташ волчуьнга ас элира: «Эла! ДуьхьалхӀоьттинчу суьрто суна даийтинчу лазарша сан гӀора дӀадаьккхина.</verse>
				<verse number="17">Ткъа хьан лай волчу аса хӀара къамел муха дийр ду сан эла волчу хьоьца? Дац-кх соьгахь гӀора, са а ца даӀало-кх соьга кхин».</verse>
				<verse number="18">ТӀаккха оцу адамийн сибатехь волчо, юха а сох куьг а Ӏоьттина, со чӀагӀвира.</verse>
				<verse number="19">Цо элира: «Ма кхерало, Далла везаш волу стаг! Машар хуьлда хьоьца. Доьналла долуш хила! ЧӀагӀло!» Иза соьга вистхуьлучу хенахь со кхин а чӀагӀвелира. ТӀаккха ас дийхира: «Со чӀагӀвина ахь, дийцахьа хӀинца, эла».</verse>
				<verse number="20">20-21 Цо элира: «Хаьий хьуна, хӀунда веана со хьо волчу? Хаалахь, „бакъдолчун тептар“ тӀехь дӀаяздина дерг хьоьга дӀахаийта веана со. Хьаххийначуьра аьлча, со хӀинца Парси-мехкан элаца тӀом бан юхавоьрзур ву, ткъа цул тӀаьхьа грекахойн элан рагӀ кхочур ю. Цу тӀе аьлча, шун эла волу Микаал воцург, цхьа а вац-кх оцу элашна дуьхьал аса бечу къийсамехь суна гӀо дийр долуш.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="11">
				<verse number="1">Мадайхочо Дари-Вашас паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь со-суо лаьттира цунна гӀо деш а, иза Ӏалашвеш а».</verse>
				<verse number="2">«ХӀинца ас бакъдерг дӀахоуьйту хьоьга: Парси-махкахь кхин кхоъ паччахь вер ву. Цул тӀаьхьа шен боккхачу бахамца царал массарал а тоьлур ву воьалгӀаниг. Шен бахамца ша тӀех чӀагӀвелча, дерриг а халкъ грекийн пачхьалкхана дуьхьал гӀаттор ду цо.</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха цхьа турпал паччахь гучувер ву. Шена луъург а деш, боккхачу ницкъаца олалла дийр ду цо.</verse>
				<verse number="4">Ткъа и паччахь хилла дӀахӀоьттинчул тӀаьхьа, цуьнан пачхьалкх, йоха а йоьхна, дуьненан еа а агӀор екъалур ю. ТӀаккха цуьнан тӀаьхьенийн кара гӀур яц иза. Цуьнан пачхьалкх, екъа а елла, хӀокхарна а доцуш, кхечарна кхочур йолу дела, цу пачхьалкхан, шен хьалха хилларг санна, ницкъ хир бац.</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха къилбе-махкара паччахь чӀагӀлур ву, ткъа цуьнан эскаран хьаькамех цхьаъ цул тоьлур ву. Цул тӀаьхьа цо олалла а дийр ду, цуьнан олаллин ницкъ алсамо а хир бу.</verse>
				<verse number="6">Ткъа масех шо даьлча, уьш, вовшех а ийна, цхьаъ хир бу. Къилбе-махкарчу паччахьан йоӀ къилбаседе-мехкан паччахье маре гӀур ю, царна юкъахь нийса юкъаметтигаш хилийтархьама. Амма и ницкъ карахь латталур бац цуьнга, ткъа паччахьан ницкъаш а латталур бац. Цу хенахь иза хӀаллакйийр ю — иза а, цуьнан уллорнаш а, цуьнан да а, цунна гӀо дийраш а.</verse>
				<verse number="7">Амма цуьнан цӀерачех цхьаъ, церан эскарна тӀе а летта, къилбаседе-махкарчу паччахьан гӀалин гӀопах чекх а ваьлла, къовсавелча, тоьлур а ву, чӀагӀлур а ву.</verse>
				<verse number="8">Ур-атталла церан деланаш болу цӀуш, шайн езачу дато а, дашо а йолчу пхьегӀашца йийсаре Мисар-махка дӀахьур бу цо. ТӀаккха масех шарахь, къилбаседе-махкарчу паччахьал лакхара а волуш, лаьттар ву иза.</verse>
				<verse number="9">Къилбаседе-махкара паччахь къилбехьарчу пачхьалкхана тӀелетар ву, амма, эша а вина, шен махка юхавоьрзур ву.</verse>
				<verse number="10">ТӀаккха цуьнан кӀенташа караоьцур ду герз. Цара цхьаьнатухур ду Ӏаламат доккха эскар. Иза, дистина хи санна, сихха дахана, чекх а даьлла, юхадоьрзур ду. КӀенташа тӀом бийр бу мостагӀийн гӀалин гӀопана тӀекхаччалц.</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха къилбе-махкара паччахь чӀогӀа карзахвер ву. Цо, тӀе а летта, къилбаседе-махкара паччахьца тӀом бийр бу. Къилбаседе-махкара паччахьо вуно доккха эскар арадоккхур ду, амма и эскар къилбе-махкарчу паччахьан кара гӀур ду.</verse>
				<verse number="12">И эскар эшийначул тӀаьхьа, къилбе-махкарчу паччахьан даг чу куралла юссур ю. Цо хӀаллакдийр ду эзарнаш адамаш, амма цуьнан ницкъ дукха лаьттар бац.</verse>
				<verse number="13">Къилбаседе-махкара паччахь юхавоьрзур ву. Цо хьалхалерачул а доккха эскар вовшахтухур ду. Масех шо даьлча, кхин а доккхачу эскарца а, тӀеман шорттачу гӀирсашца а иза сихха схьавогӀур ву.</verse>
				<verse number="14">Цу хенахь дукхахберш къилбе-махкарчу паччахьна дуьхьалбевр бу. ДуьхьалхӀоьттина сурт кхочушхилийта, къилберачу паччахьна дуьхьалбевр бу хьан халкъара цхьаболу зуламхой, амма уьш хӀаллакьхир бу.</verse>
				<verse number="15">Делахь а, къилбаседе-махкара паччахь схьавеача, дуьхьалонаш а хӀиттийна, шен дола йоккхур ю цо чӀагӀйина йолу гӀала. Къилбехьарчаьрга цунна дуьхьало ялур яц, ур-атталла церан къастийна долчу эскарийн а дуьхьало ян ницкъ кхочур бац.</verse>
				<verse number="16">Цунна дуьхьал ваьлларг а цуьнан лаамца лелар ву. Латталур вац, ца вужуш, цунна хьалха цхьа а. Цу „къаьсттина хаза болчу махкахь“ шен толаман меттамотт цо дӀахӀоттийча, и мохк хӀаллакбар цуьнан карахь хир ду.</verse>
				<verse number="17">Шен пачхьалкхан мел болчу ницкъаца чу а вахана, къилбе-махкарчу паччахьца барт бан ойла хир ю къилбаседерачу паччахьан. Цо иза дийр а ду. Шена дагадеанарг кхочушдархьама шен йоӀ йохуьйтур ю цо хӀаллакьхила къилбе-махкарчу паччахье. Ткъа цуьнан дагалацам кхочуш а хир бац, цунах цунна кхиам а хир бац.</verse>
				<verse number="18">Цул тӀаьхьа хӀордаца доза долчу пачхьалкхашна тӀевоьрзур ву и. Царах дукхахъерш цо шен дола йохур ю. Амма цхьана баьччано сацор ду шайна тӀе эхь даийтар. Цо иза юьхьӀаьржачу хӀоттор ву.</verse>
				<verse number="19">ТӀаккха юьхь ерзор ю цо шен мехкан чӀагӀонаш тӀе, амма, таса а велла, вужур а ву, хӀаллак а хир ву иза.</verse>
				<verse number="20">Цуьнан метта цхьа кхиверг дӀахӀуттур ву. Пачхьалкхан сийлалла латто ял гулъеш верг вохуьйтур ву цо. Амма иза, оьгӀазаллах а доцуш, тӀамехь а доцуш, дукха хан ялале хӀаллакьхир ву.</verse>
				<verse number="21">Цуьнан метта дӀахӀуттур ву шех дог доккхуьйтуш верг, паччахьан санна, сий дийр дац цуьнан, амма иза гӀар-тата доцуш вогӀур а ву, мекарлонца цо и паччахьалла шен дола доккхур а ду.</verse>
				<verse number="22">Дерриг а латта дузуш, дукха долу мостагӀийн цӀоз, дистинчу хино дӀадаьхьча санна, хӀаллакдийр ду цо, бертан баьчча а тӀехь.</verse>
				<verse number="23">Ткъа кхечу паччахьашца ша барт бинчул тӀаьхьа уьш лебеш лелар ву и, лаккха а вер ву, шен кӀеззигчу халкъаца тоьлур а ву.</verse>
				<verse number="24">Машаре, беркате долчу мехкашна чувер ву иза. Цкъа а шен дайша а, шен дедайша а ца динарг дийр ду цо. Караеана хӀонс а, схьаяьхна хӀуманаш а, бахам а шена тӀаьхьахӀиттинчарна юкъахь боькъур бу цо. ГӀепаш схьаяха ойланаш а йийр ю цо, амма иза цхьа хан тӀекхаччалц хир ду.</verse>
				<verse number="25">Цул тӀаьхьа шен боллу ницкъ а, майралла а Ӏаламат доккхачу эскарца къилбе-махкара паччахьна дуьхьалдоккхур ду цо. ТӀаккха къилбе-махкара паччахь юха а цуьнан эскарал а доккхачу эскарца дуьхьалвер ву, амма тоьлур вац, цунна ямартло йийр йолу дела.</verse>
				<verse number="26">Цуьнца цхьана шуьне хуьйшу нах а иза хӀаллакван гӀертар бу. ТӀаккха цуьнан эскар дӀасадаьржар ду, дуккха а байинарш а хир бу.</verse>
				<verse number="27">Цу шина а паччахьан даг чохь ямартло хир ю. Цхьаьна барт бан хевшинчохь а аьшпаш буттур бу цара, амма толам хир бац церан, хӀунда аьлча чаккхе цхьана ханна дӀатеттина йолу дела.</verse>
				<verse number="28">ТӀаккха къилбаседе-махкара паччахь шорттачу бахамца а, мостагӀчун ойланца а, Дала шеца барт бинчу халкъана дуьхьалвала шен махка ваха новкъа вер ву. Цо иза кхочуш а дийр ду, шен махка юха а воьрзур ву.</verse>
				<verse number="29">Билгалъяьккхинчу хенахь иза юха къилбехьа гӀур ву. Амма цу вахаран жамӀ хьалхалераниг санна хир дац,</verse>
				<verse number="30">хӀунда аьлча и воьддучу хенахь Хитам-махкара хинкеманаш цунна дуьхьало ян догӀур ду. ТӀаккха иза догдоьхна юхавоьрзур ву. Дала шеца барт бинчу халкъана дарлур ву иза. Цо кхочуш бийр бу шен лаам. Делаца биначу бартах юхабевлларш лорур бу цо.</verse>
				<verse number="31">Цуьнан эскархоша Делан цӀа а, керт а бехйийр ю. ХӀора дийнахь сагӀа даккхар а сацор ду, вас еш йолу къемате хӀума а дӀахӀоттор ю цо, цунна Ӏибадат а дойтуш.</verse>
				<verse number="32">Делан весеташна дуьхьалбевлларш мекарлонца шена тӀеозор бу цо. Амма шайн Далла тешаме болчара цунна чӀогӀа дуьхьало йийр ю.</verse>
				<verse number="33">Халкъана юкъарчу кхетам болчара, шаьш туьрах а, цӀерах а, йийсарх а, талорех а цхьайолчу ханна бала хьоьгур белахь а, дукхахберш кхетор бу.</verse>
				<verse number="34">Шаьш бала хьоьгучу хенахь царна жимма гӀо хир ду, тӀаккха дукхахберш царах дӀауьйр бу, амма доггах хир дац иза.</verse>
				<verse number="35">Цхьаболчу хьекъал долчу наха, шаьш бахчабалархьама, цӀанбархьама, кӀайбархьама, баланаш хьоьгур бу чаккхенан хан тӀекхаччалц, хӀунда аьлча билгалъяьккхина хан хӀинца а хир йолуш ю.</verse>
				<verse number="36">Цу паччахьо шена луъург а, дагадеънарг а дийр ду. Иза муьлххачу делал лакха а вер ву, кура а вер ву. Деланашна тӀехь а Дела верг емал а веш, луьйр ву иза. Делан оьгӀазло хиллалц иза тоьлур ву, хӀунда аьлча билгалдаьккхинарг кхочушхир ду.</verse>
				<verse number="37">Шен ден деланаш цунна дагабогӀур бац. Цо лорур вац зударша лоруш волу дела а, я муьлхха а кхиволу дела а, ша массарел а лакхавоккхур волу дела.</verse>
				<verse number="38">Бакъволчу Делан метта гӀепийн далла Ӏамал йийр ю цо. Цкъа а шен дайшна вевзина воцучу цу делан сий дийр ду цо дешица, детица, дезачу тӀулгашца, тайп-тайпана механа езачу хӀуманашца.</verse>
				<verse number="39">Иштта шен дайша ца лоручу делаца хьалагӀоттур ву иза уггар чӀогӀачу гӀепашна дуьхьал. И дела тӀеэцначеран кхин а алссам сий дийр ду цо, цаьрга дукха нахана тӀехь олалла а дойтур ду, царна совгӀатна латта а доькъур ду.</verse>
				<verse number="40">ТӀаьхьарчу хенахь къилбе-махкара паччахь тасалур ву цуьнца. Ткъа къилбаседе-махкара паччахь а шен гӀудалкхашца, дошлошца, дуккха а долчу шен хинкеманашца, буьрса дарц санна, тӀетатталур ву цунна. ТӀаккха, дистина догӀу хи санна, мехкашна тӀе а кхетта, царна тӀехула чекхвер ву иза.</verse>
				<verse number="41">ТӀаккха мехкашна юкъара а къаьсттина хаза болчу махкана чу вер ву иза. Эзарнаш хӀаллакьхир бу. Эдом-мохк, Муаби-мохк, Ӏамминхойн коьрта дакъа а бен, цуьнан кара ца доьдуш дуьсур дац.</verse>
				<verse number="42">Тайп-тайпанарчу мехкашна тӀе а куьг кховдор ду цо. КӀелхьарбер бац Мисар-мохк а.</verse>
				<verse number="43">Мисар-мехкан дашо а, дато а, механа еза йолчу хӀуманийн хазна а шен дола йоккхур ю цо. Лива-мехкан бахархой а, хушахой а цунна тӀаьхьахӀуьттур бу.</verse>
				<verse number="44">Амма малхбалехьара а, къилбаседехьара а схьахезачу хабарша цуьнан синтем бойур бу. ТӀаккха шен нуьцкъалчу дераллица дуккха а адамаш дайа а, хӀаллакдан а аравер ву иза.</verse>
				<verse number="45">ХӀордана а, уггар хазачу а, безачу а ламанна а юкъахь шен паччахьаллин четарш дӀасадаржор ду цо. Амма шен хӀаллакьхиларна тӀевогӀур ву иза, цунна цхьаммо а гӀо а дийр дац».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="12">
				<verse number="1">«Оцу хенахь хьан халкъ Ӏалашдеш долу а, сийлахь эла долу а Микаал-малик гучудер ду. ТӀаккха адамаш дуьнен чу девллачхьана, хӀокху ханна тӀекхаччалц, цкъа а хилла йоцу хала хан йогӀур ю. Ткъа оцу хенахь хьан халкъана юкъара берриг а Делан тептар тӀе дӀаязбина карор берш кӀелхьарбевр бу.</verse>
				<verse number="2">ТӀаккха лаьттара кешнаш чохь бийшинчех дукхахберш денлур бу, цхьаберш даим а Дела волчохь баха, ткъа вуьш гуттаренна а сийсазбина а, сий дайина а хила.</verse>
				<verse number="3">Стигалара серло санна, хьекъалнаш лепаш хир бу, ткъа дуккха а адамаш бакъболчу новкъа тӀе дерзийнарш а хир бу, седарчий санна, лепаш гуттаренна а, массо хенахь а.</verse>
				<verse number="4">Ткъа ахьа, Даниала, хӀара дешнаш къайладаха, чаккхенан зама тӀеяллалц кху тептарна мухӀар а тохий. Дукхахболчара иза доьшур ду, тӀаккха хаарш алсамдевр ду».</verse>
				<verse number="5">Цул тӀаьхьа со, Даниал, дӀахьаьжира: кхин шиъ а вара лаьтташ, цхьаъ хин хӀокху йистехь, важа — вукху йистехь.</verse>
				<verse number="6">Царах цхьаммо гатанан духарца хиш тӀехь лаьтташ волчу стаге хаьттира: «Маца хир ю оцу инзаречу хиндолчийн чаккхе?» — аьлла.</verse>
				<verse number="7">ТӀаккха гатанан духарца хиш тӀехь лаьттачу стага аьтту а, аьрру а куьйгаш стигала а айина, даим вехаш волчу Делах дуй а бууш, олуш хезира суна: «Заманан а, заманийн а, заманан эханан чаккхенгахь а, Делан нехан ницкъ эшор чекхдаьлча, хӀара дерриг а чекхдер ду».</verse>
				<verse number="8">Суна хезира иза, амма со ца кхийтира, цундела ас хаьттира: «Сан эла! Цу дерригенан а чаккхе муха хир ю те?» — аьлла.</verse>
				<verse number="9">«ДӀавало, Даниал. Чаккхенан зама яллалц, мухӀар а тоьхна, дӀакъевлина ду и дешнаш, — элира цо. —</verse>
				<verse number="10">Дукхахберш цӀанлур бу, кӀайлур бу, лалор бу уьш зерца. Зуламхой харцонаш еш хир бу. Ӏесачех цхьа а кхетар вац кхунах, ткъа хьекъалнаш кхетар бу.</verse>
				<verse number="11">СагӀа даккхар а сацийна, вас еш йолу къемате хӀума дӀахӀоттийначул тӀаьхьа цхьа эзар ши бӀе дезткъе итт де дер ду.</verse>
				<verse number="12">Декъала ву цхьа эзар кхо бӀе ткъе пхийтта дийнахь ла а доьгӀна, оцу хене кхочун верг.</verse>
				<verse number="13">Ткъа хьо чаккхенна тӀегӀо, вала а велла, гӀоттур ву хьо денойн чаккхенгахь хьайна догӀург схьаэца».</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="28">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">ЯхӀуд-мехкан паччахьаша Ӏузи-ЯхӀус а, Йовтама а, Ахьаза а, Хьузакх-ЯхӀус а, Исраил-мехкан паччахьан Юашан кӀант волчу ЯрбаӀама а паччахьалла динчу хенахь Беарин кӀанте ХӀушаӀе Везачу Элера хаам хилла.</verse>
				<verse number="2">Везачу Эло, ХӀушаӀехула Исраилан халкъе Ша вистхила волалуш, иштта элира: «Вало, нахаца лела зуда ялае хьайна, цунах девр долу бераш схьаэца, тешаме доцуш уьш хир делахь а, хӀунда аьлча хӀара халкъ чӀогӀа зуламе даьлла, кхечу деланашна тӀаьхьа а хӀоьттина, Везачу Элах дӀадирзина иза».</verse>
				<verse number="3">Вахана, ХӀушаӀа шена Диблайман йоӀ Гомар ялийна. Берах а хилла, цо ХӀушаӀана кӀант вина.</verse>
				<verse number="4">Везачу Эло ХӀушаӀе элира: «КӀантана, ИзраӀал алий, цӀе тилла. Жимма хан яьлча, ИзраӀалан тогӀи чохь цӀий Ӏанор Аса дӀадоькхур ду ЯхӀу-паччахьан цӀенна. Исраил-махкахь долу паччахьалла дохор ду Аса.</verse>
				<verse number="5">Цу дийнахь ИзраӀалан тогӀи чохь исраилхойн тӀеман ницкъ бохор бу Аса».</verse>
				<verse number="6">Гомара, юха а берах а хилла, йоӀ йина. Везачу Эло ХӀушаӀе элира: «Цунна, „Къинхетам цабинарг“ (Ло-Рухьама) алий, цӀе тилла, хӀунда аьлча Исраилан халкъах Аса кхин къинхетам а бийр бац, цунна геч а дийр дац.</verse>
				<verse number="7">Делахь а Аса ЯхӀудан халкъах къинхетам бийр бу. Церан Веза Дела волчу Аса уьш, секхаӀодаца а, туьраца а, тӀамца а, дойшца а, дошлошца а доцуш, кхечу кепара кӀелхьарбохур бу».</verse>
				<verse number="8">Ло-Рухьама екхачуьра дӀаяьлча, Гомара, юха а берах а хилла, кхин а цхьа кӀант вина.</verse>
				<verse number="9">Везачу Эло элира: «Цунна, „Сан халкъ дац“ (Ло-Ӏами) алий, цӀе тилла, хӀунда аьлча шу Сан халкъ а дац, Со шун Дела а вац.</verse>
				<verse number="10">Амма хинйолчу заманахь исраилхой, бусталур боцуш а, багарбалур боцуш а, хӀордан гӀум санна, шортта хир бу. „Шу сан халкъ дац“ — баьхначу меттехь, „Шу дийна волчу Делан кӀентий ду“, — бохур ду цаьрга.</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха яхӀудхой а, исраилхой а цхьаьнакхетар а бу, шайна юха а куьйгалхо дӀа а хӀоттор ву цара. Уьш шайн лаьттара хьалакхуьур бу, хӀунда аьлча ИзраӀалан де сийлахь хир ду!»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">«Шайн вежаршна, „Сан халкъ“ (Ӏами) алий, цӀе тилла, ткъа шайн йижаршна, „къинхетам бинарш“ (Рухьама) алий, цӀе тилла».</verse>
				<verse number="2">«Кхел яйта шайн нанна, жоьпе озаяйта иза! Иза Сан зуда ма яц, ткъа Со кхин цуьнан майра ма вац. Шен сийсазлелар дита ала, шен тешаме ца хилар сацаде ала.</verse>
				<verse number="3">Нагахь санна шен сийсазлелар цо ца дитахь, цуьнан бедарш этӀор ю Аса, нанас дуьнен чу йоккхуш ма-хиллара, ерзина а яьккхина. Иза, яьсса аре санна, дӀахӀоттор ю Аса, иза, декъа латта санна, йийр ю Аса, хьагъярца хӀаллакйийр ю.</verse>
				<verse number="4">Аса къинхетам бийр бац цуьнан берех, тешаме доцу бераш уьш долу дела.</verse>
				<verse number="5">ХӀунда аьлча церан нана тешаме яцара, уьш дуьнен чу даьхнарг сийсаза лелара. Цо ша а олура: „Сайн безаргашна тӀаьххье дӀагӀур ю со, цара суна бепиг а, хи а, тӀаргӀа а, вета а, даьтта а, маларш а луш долу дела“.</verse>
				<verse number="6">Цо ишттаниг лелорна, коканийн коьллашца Аса цуьнан некъ дӀакъовлур бу, цунна дуьхьал пен дӀахӀоттор бу, цунна некъ ца карабайтархьама.</verse>
				<verse number="7">Иза шен безаргашна тӀаьхьауьдур ю, амма тӀаьхьакхуьур яц. Уьш лоьхур бу цо, амма карор бац цунна уьш. ТӀаккха эр ду цо: „Сайн дуьххьарлерчу майрачунна тӀе дӀагӀур ю со. Цуьнца долу дахар гӀоле дара сан, хӀинца чул“.</verse>
				<verse number="8">Цунна ца лаьа къобалдан ялтий, чагӀаррий, даьттий шена луш Верг Со хилар, шен дети а, деши а алсамдаьккхинарг а Со хилар, ткъа цо царах БаӀал-цӀу дӀахӀоттийна.</verse>
				<verse number="9">Ялта чудерзо хан тӀекхаьчча, Аса юхадерзор ду Сайн ялта. Кемсаш хилла яьлча, чагӀар а схьадоккхур ду. Аса цуьнгара схьабоккхур бу тӀаргӀа а, вета а, цуьнан ерзина хилар къайладоккхуш хилла долу.</verse>
				<verse number="10">Иштта цуьнан дерзина дегӀ гучудоккхур ду Аса цуьнан безаргашна хьалха. Сан карара цхьаьнгге а схьаяккхалур яц иза.</verse>
				<verse number="11">Аса сацор ду цуьнан мел долу сакъерадалар а, шеран деза денош даздар а, бутт цӀинбаларан денош даздар а, шоьтан денош ларар а — дерриге а Везачу Элана лерина деза денош долу.</verse>
				<verse number="12">Аса яссор ю цуьнан кемсийн таьллангаш, инжиран дитташ а дассор ду. „Суна сан безаргаша луш долу алапа ду хӀара“, — олу цо царах лаьцна. Аса царах акха боьлак йийр ю, аренийн акхароша цоьстур йолу.</verse>
				<verse number="13">Аса таӀзар дийр ду цунна, БаӀал-цӀушна хаза хьожа йогӀу хӀума ягорна а, шен чӀагарш а, туьтеш а шена тӀе а оьхкина, шен безаргашна иза тӀаьхьалеларна а. Ткъа Со вицвинера цо», — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="14">«Цундела Аса иза хьостур ма ю. Яьссачу аренга иза дӀа а йигина, цуьнан дагна там беш дерг дуьйцур ду Аса.</verse>
				<verse number="15">Цигара ара а яьккхина, аса цунна юхалур ю цуьнан долахь хилла йолу кемсийн бошмаш. Сингаттамца йоьзна йолу Ӏахур-тогӀех сатийсаран неӀ дӀахӀоттор ю Аса. Цигахь эшарш лоькхур ю цо, шен къоналлин деношкахь санна, иза Мисар-махкара арайолучу хенахь».</verse>
				<verse number="16">Иштта боху Везачу Эло: «Оцу дийнахь „сан майра“ эр ду ахь Сох, кхидӀа „сан БаӀал“ эр дац ахь Сох.</verse>
				<verse number="17">БаӀалийн цӀераш цуьнан багара дӀайохур ю Аса, церан цӀераш кхин йохур яц цо.</verse>
				<verse number="18">Цу хенахь Аса барт бийр бу аренийн акхарошца, стигаларчу олхазаршца, лаьттарчу текхаргашца. Ӏаддий, туррий, тӀоммий дӀабоккхур бу Аса цу лаьтта тӀера. Кхерам а боцуш, баха буьтур бу Аса уьш.</verse>
				<verse number="19">Гуттаренна а Сайна тӀеерзор ю Аса хьо. Нийсо а, бакъдерг а, хедар боцу безам а, къинхетам а баларца Сайна ерзор ю Аса хьо.</verse>
				<verse number="20">Сайна тешаме хиларца тӀеерзор Аса хьо, Веза Эла волу Со тӀаккха къобалвийр ву ахь.</verse>
				<verse number="21">Цу дийнахь иштта хир ду, — боху Везачу Эло, — Аса стигалан дехарна жоп лур ду, цо а лаьттан дехарна жоп лур ду.</verse>
				<verse number="22">Ткъа ялтин а, чагӀаран а, даьттанан а дехарна лаьтто жоп лур ду, ткъа цара „ИзраӀал“ — Дала дӀадоь — аьлла, жоп лур ду.</verse>
				<verse number="23">Иза Аса Сайна лаьттахь дӀаюьйр ю, „Къинхетам ца биначух“ къинхетам бийр бу Аса. „Сайн доцучу халкъе“ Аса эр ду: „Хьо Сан халкъ ду“. Ткъа цо: „Хьо сан Дела ву!“ — эр ду».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">Везачу Эло соьга элира: «Вало, юха а еза хьайн зуда, иза кхечунна езахь а, иза сийсаза лелахь а. Еза и зуда, Везачу Элана исраилхой безаш хиларе терра — уьш кхечу деланашна тӀе дӀабирзинехь а, цу деланашна лерина йолу Ӏаьвдинчу кемсийн курсаш царна езахь а».</verse>
				<verse number="2">Аса сайна и зуда ялийра, пхийтта дато шекхал ахча а, ворхӀ а, ах а гали мукх а белла.</verse>
				<verse number="3">Аса цуьнга элира: «Со волчохь дуккха а денош даха. Суна тешаме йоцуш а ма хила, кхечу стагах а ма хьакхало, ткъа со хьох а хьакхалур вац».</verse>
				<verse number="4">Оццу кепара исраилхоша дукха хан йоккхур ю шайн коьртехь я паччахь, я эла воцуш, я сагӀанаш, я деланашна хӀиттийна тӀулгаш а доцуш, деланийн лаам билгалбаккхархьама я ийпад, я цӀуш а боцуш.</verse>
				<verse number="5">Цул тӀаьхьа исраилхой юха а боьрзур бу, шайн Веза Дела а, Даудан тӀаьхьенах волу шайн паччахь а лохур ву цара. ТӀаьхьарчу деношкахь Везачу Элана хьалха ларамах а, Цуьнан диканах а буьзна хир бу уьш.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">Ва исраилхой, ладогӀал Везачу Элан даше! Везачу Эло кху лаьтта тӀерачу бахархошка иштта бехк боккху: «Лаьтта тӀехь тешаме хилар а дац, безам а, Дела вовзар а дац.</verse>
				<verse number="2">Сардамаш дохкаррий, вовшийн ледаррий, вовшийн хӀаллакдаррий, къоланаш даррий, марехь болчара ямартлонаш яррий тӀехдукха даьржина адамашна юкъахь, адамийн цӀий Ӏенор а дац хедаш.</verse>
				<verse number="3">И хӀума бахьана долуш хӀара латта тийжар ду. Лаьтта тӀехь бехачу массеран а гӀора довр ду. Аренийн акхарой, стигалара олхазарш, ур-атталла хӀордан чӀерий а хӀаллакьхир ду.</verse>
				<verse number="4">Амма цхьа а стаг къийса ма ло, цхьаммо а важа Ӏора ма ваккха, хӀунда аьлча хьан халкъ динан дайшца къийсалуш берш санна ма ду.</verse>
				<verse number="5">Дийнахь галвер ву хьо, динан да, ткъа хьоьца цхьаьна буьйсанна пайхамарш а галбевр бу. Иштта хьан нана а дӀасацор ю Аса.</verse>
				<verse number="6">Сан халкъ дӀасацийна, Со къобал ца варна. Со къобалвар ахь дӀатесна дела, ахь Суна, динан дас санна, гӀуллакх дар Аса а дӀатосур ду. Дала белла товрат-хьехам ахь бицбина дела, Аса а дицдийр ду хьан бераш».</verse>
				<verse number="7">«Динан дай дебаре терра, Суна дуьхьал долу церан къинош а алсамдуьйлуш ду. Церан сийлалла сийсазалле ерзор ю Аса.</verse>
				<verse number="8">Сан халкъо даьхна къинан сагӀанаш а дууш, церан синош халкъо лелийначу харцонашна тӀегӀерта.</verse>
				<verse number="9">Халкъана хиндерриг хир ду динан дайшна а. Цара дӀакхоьхьучу некъе терра дийр ду Аса царна таӀзар. Церан гӀуллакхашка хьаьжжина, Аса дӀадоькхур ду царна.</verse>
				<verse number="10">Юур ю цара, амма бузур бац. Сийсаза лелар бу уьш, амма дебар бац, хӀунда аьлча Веза Эла волчу Сох дӀабирзина уьш,</verse>
				<verse number="11">Суна тешаме ца хилархьама, кхиболчу деланашца а лелаш. Нахаца леларо а, чагӀаро а — иза шира я керла даьккхина делахь а — сан халкъан кхетам дӀа ма оьцу!»</verse>
				<verse number="12">«Сан халкъ дагадуьйлу шен дечиган цӀунах, ткъа гӀожаца пал а туьйсуш, цунна жоп ло. Цатешаме хиларан сино уьш тилийна. Кхечу деланашна тӀаьхьа а хӀиттина, Делах дӀабирзина уьш.</verse>
				<verse number="13">Лаьмнийн баххьашкахь сагӀанаш доху цара, баьрзнаш тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀума а ягош, ножан а, акхтарган а, попан а дитташна кӀел, оцу диттийн хаза ӀиндагӀ хуьлу дела. И бахьана долуш шун йоӀарша а кхахьпалла леладо, ткъа шун несарий а нахаца лела.</verse>
				<verse number="14">Аса шун йоӀаршна таӀзар дийр дац цара кхахьпалла лелорна, шун несаршна а таӀзар дийр дац Аса уьш нахаца леларна. ХӀунда аьлча шу шаьш кхахьпанашца дӀа а дуьйшу, нахаца лелаш болчу „безачу“ зударшца цхьаьна сагӀанаш а доху аша. Ткъа: „Кхетам боцу халкъ дакъаза ма долу!“»</verse>
				<verse number="15">«Ва Исраилан халкъ! Хьо кхахьпа санна лелахь а, яхӀудхоша ма летадахьара изза къа! Шу Галгал-гӀала а ма гӀо, Байт-Аван-гӀала хьала а ма довла. Ма баха, дуйнаш а бууш: „Дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо ас!“</verse>
				<verse number="16">ХӀунда аьлча Исраилан халкъ, аьрха эса санна, къар ца ло. Цундела Везачу Эло дажор дуй те иза хӀинца шуьйрачу дежийлахь, уьстагӀий санна?</verse>
				<verse number="17">Эпрайман халкъ цӀуйх дӀаийна даьлла: бита и исраилхой шайн боьхачу леларехь!</verse>
				<verse number="18">ЧагӀар мелла бевлча, нахаца леларна тӀе боьрзу уьш. Шайн элаша лело сийсазалла царна чӀогӀа ма деза.</verse>
				<verse number="19">Шен тӀемаш тӀехь мохо дӀахьур бу уьш, юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу уьш, шаьш цӀушна Ӏибадат дина дела».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">«ЛадогӀа дуьйцучуьнга, динан дай! Тидам бе, Исраилан халкъан цӀийнах берш! ДӀахаза, паччахьан цӀа! Шун карахь ду нийсонца кхел яр — иштта хӀара кхел шуна дуьхьал йийр ю, МицӀпа-гӀалахь шух кӀело йина дела, Табур-ломахь дӀасаяржийна бой санна шу хилла дела.</verse>
				<verse number="2">Шитимехь акхарой лоцу ор кӀорга аьхкина аша, амма Аса шуна массарна а таӀзар дийр ду.</verse>
				<verse number="3">Эпрайман халкъ а девза Суна, Исраилан халкъо лелориг а ца даьлла Сох къайла. ЦӀушна Ӏамал а йина, Эпрайман халкъ сийсаза лелла, цундела Исраилан халкъ Суна хьалха бехделла.</verse>
				<verse number="4">Цара мел лелийначу вочу гӀуллакхаша шайн Далла тӀе ца боьрзуьйту уьш. Цатешаме хиларан са церан дегнаш чохь хилла, цундела Веза Эла царна ца вевзина.</verse>
				<verse number="5">Исраилан халкъан куралло цунна дуьхьал тоьшалла до. Исраилан халкъ (цунах иштта Эпрайман халкъ а олу) галдер ду, цо харцонаш лелорна. ЯхӀудан халкъ а дужур ду цаьрца цхьаьна.</verse>
				<verse number="6">Уьш сагӀина шайн уьстагӀий а, стерчий а дахьаш, Веза Эла лаха арабевр бу, амма Иза царна карор вац. Иза царах дӀавирзина.</verse>
				<verse number="7">Цара къотӀалгӀа бераш а дина, Везачу Элана ямартло йина. Ткъа хӀинца деза денош долчу керлачу батто шайн кхашца цхьаьна цоьстур бу уьш».</verse>
				<verse number="8">«Коьман маӀаца дӀакхайкхаде ГебаӀ-гӀалахь, турбанца дӀакхайкхаде Рама-гӀалахь, орца даккха Байт-Аван-гӀалахь! Бен-Яман, мостагӀа хьуна тӀаьхьа вогӀуш ву!</verse>
				<verse number="9">Дала таӀзар динначу дийнахь Эпраймах яьсса аре хир ю. Иштта Аса дӀакхайкхийнарг а шеко йоцуш хир ма ду!</verse>
				<verse number="10">ЯхӀудан баьччанаш тарбелла лаьттан асанийн дозанаш дӀасатоьттучарах. Аса Сайн оьгӀазло, тӀехдаьлла хи санна, тӀеӀанор ю царна.</verse>
				<verse number="11">Эпрайм-мохк а кӀелбитина, шена йинчу кхело охьатаӀийна иза, цӀушна тӀаьххье цунна баха лиъна дела, ткъа и цӀуш кхелли санна ма бу.</verse>
				<verse number="12">Эпрайман халкъана неца санна хир ву Со, ткъа ЯхӀудан халкъана мекха хир ю Сох.</verse>
				<verse number="13">Эпраймана шен цамгар схьахиъначу хенахь а, ЯхӀудана шена хилла чов дӀагиначу хенахь а, Эпрайман халкъ Ашурехьа а дирзина, сийлахьчу паччахьна тӀе дехаре дахийтира. Амма цуьнга шу цамгарх толур дац, шун чевнна дарба а далур дац.</verse>
				<verse number="14">ХӀунда аьлча Эпраймана Со лом санна хир ву, ткъа ЯхӀудана къона лом санна хир ву. Со, уьш цеста а цистина, дӀагӀур ву, Аса уьш Сайца дӀахьур бу. Цхьаммо а кӀелхьарбохур бац уьш.</verse>
				<verse number="15">Со Сайн метте дӀагӀур ву, шаьш бехке хиларх а кхетта, Сан юьхь цара схьалаххалц. Хала киртиг шайна тӀехӀоьттича, Со леха уьш арабевр ма бу».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="6">
				<verse number="1">Наха иштта боху: «Дуьйло, вешан Везачу Элана тӀедерза вай. ХӀунда аьлча Цо вай лаза а дина — Цо вайна дарба а дийр ду. Цо йина вайна чевнаш — Цо уьш дӀа а йоьхкур ю.</verse>
				<verse number="2">Цо ши де даьлча ден а дийр ду вай, кхозлагӀчу дийнахь ира а хӀиттор ду. ТӀаккха дехар ду вай Цунна хьалхахь.</verse>
				<verse number="3">Веза Эла вовзий вайна. Иза кхин а алсам вовза гӀерта вай. Цуьнан гучувалар, цӀийъелла Ӏуьйре санна, билггала ду. Керлачу дахарца вогӀур ву Иза вай долчу, Ӏаьнан догӀа санна, бӀаьста деанчу догӀано латта тӀадор санна».</verse>
				<verse number="4">Ткъа Везачу Эло боху: «ХӀун дийр дара те хьуна, Эпрайм? ХӀун де те хьуна, ЯхӀудан халкъ? Шун безам Ӏуьйранна хуьлу дохк санна а, хьалххе дайна дӀадолу тхи санна а ма бу.</verse>
				<verse number="5">Цундела пайхамарашкахула Аса шун дог дохадора. Сайн багарчу дешнашца еттара Аса шуна. Аса еш йолу кхел, схьакхета малх санна, билггала ю.</verse>
				<verse number="6">Шу тешаме хилар деза ду Суна, аша Сан дуьхьа дохучу сагӀанел. Шуна Дела вовзийла лаьа Суна, Сан дуьхьа дийнаташ дагоран сагӀанел.</verse>
				<verse number="7">Адам-гӀала йолчохь санна, Исраилан халкъо а Соьца бина барт бохийна, цигахь ямартло йина цара Суна.</verse>
				<verse number="8">ГалӀад — Ӏесачийн гӀала ма ю. Цунна чохь йолу лараш цӀийх юьзна ма ю.</verse>
				<verse number="9">Динан дайн тоба тера ю кӀелонехь Ӏуьллуш йолчу талорхойн тобанах. Шехеме боьдучу новкъахь адамаш дойу. Цара боьха мел дерг леладо.</verse>
				<verse number="10">Инзаре ирча хӀума гина Суна Исраилан халкъана юкъахь. ЦӀушна Ӏамал а йина, Эпрайман халкъ сийсаза лелла, цундела Исраилан халкъ Далла хьалха бехделла.</verse>
				<verse number="11">Хьуна а, ЯхӀудан халкъ, таӀзаран ялта чудерзо хан билгалъяьккхина». «Сайн халкъан аьтто бар Аса карладаьккхича,</verse>
			</chapter>
			<chapter number="7">
				<verse number="1">Аса Исраил-махкана дарба лелийча, Эпрайман халкъан къинош а, Шамран-гӀалин зуламаш а гучудовлу. ХӀунда аьлча цара харцонаш лелайо. Къуй а бу лелаш. Талорхой а бу гӀалин урамашкахь талораш деш.</verse>
				<verse number="2">Царна дага а ца догӀу Суна церан зуламаш дерриг а дагахь хилар. Шаьш динчу зуламаша хӀинца го бина царна. Церан къинош Суна хьалха ду.</verse>
				<verse number="3">Цара шайн зуламечу гӀуллакхашца паччахьан самукъадоккху, ткъа шайн мекарлонашца паччахьан гонах болчарна там бо.</verse>
				<verse number="4">Уьш массо а ямартлонех буьзна а, тешаме боцуш а бу. Церан дералла, цӀиййинчу пешан цӀе санна, дуккха а ханна юьсу, хьакхийна бод севсачу хенахь бепиг доттучо пеш йогучуьра сацаяхь а.</verse>
				<verse number="5">Вайн паччахьан дезачу дийнахь чагӀар а муьйлий, элий бехий дӀахӀуьтту, ткъа паччахьо Дела емалвечу нахе куьйгаш дӀакхийдадо.</verse>
				<verse number="6">Питанаш а деш, цунна тӀекхочу уьш. Церан дегнаш пеш санна догу, церан дералла сахиллалц сийсаш йогу, ткъа Ӏуьйранна иза цӀеяьлла алу санна хуьлу.</verse>
				<verse number="7">Уьш массо а оьгӀазаллех кхехкаш бу. Цара шайн куьйгалхой дӀакхоллу. Церан массо а паччахьаш тӀекӀел охьаэгна, ткъа цхьа а стаг Соьга гӀо доьхуш ца кхойкху».</verse>
				<verse number="8">«Эпрайман халкъ вукху къаьмнех дӀаэделла. Иза буьйда дисинчу баьпках тера ду.</verse>
				<verse number="9">Хийрачу къаьмнех болчу наха цуьнан ницкъ дӀаоьцу, ткъа цунна иза ца хаало. Къежделла Эпрайман халкъ, амма иза ца кхета.</verse>
				<verse number="10">Массо а и бохамаш адамашна тӀебаьхкина, хӀетте а шайн Везачу Далла тӀе ца доьрзу уьш, адамаша Цуьнга гӀо а ца доьху. Иштта Исраилан халкъан куралло а цунна дуьхьал тоьшалла до.</verse>
				<verse number="11">Эпрайман халкъ кхокханах тарделла, иза сонта а, кхетам боцуш а ма ду! Цуьнан халкъо Мисар-махке гӀо доьху, Ашур-махка гӀо деха а доьду иза.</verse>
				<verse number="12">Уьш тӀехбоьлхучу новкъахь Аса царна тӀе Сайн бой тосур ю. Стигалара олхазарш санна, Аса уьш охьабохкур бу. Церан гуламе бечу хааме хьаьжжина уьш нисбийр бу Аса».</verse>
				<verse number="13">«Къа ду церан, Суна уьш генабевлла дела. Уьш бохийна хир бу, шаьш Суна дуьхьалбевлла дела. Аса уьш кӀелхьарбохур бара, ткъа цара Суна харцдерг дуьйцура.</verse>
				<verse number="14">Уьш цкъа а доггах ца кхойкху Соьга, амма шайн меттанашкахь боьлхуш бу. Шайн догӀмашкахь шаьш хеда а деш, Соьга доьху цара шайна кӀа а, чагӀар а далар. Ткъа и дарца Сох дӀабирзина уьш.</verse>
				<verse number="15">Уьш Нисбийриг а, царна ницкъ Лург а Со велахь а, Суна дуьхьал зуламаш дан дагалецира цара.</verse>
				<verse number="16">Суна тӀеберзаран метта, гӀийлачу харцдалла тӀебоьрзу уьш. Шен пхарца гӀокхана тӀе ца кхочу тешам боцу секхаӀад санна бу уьш. Церан элий туьро хӀаллакбийр бу, шайн кӀоршаме мотт бахьана долуш. ТӀаккха Мисаран халкъ доьлур ду царах».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="8">
				<verse number="1">«Орца даккха, хьайн бете коьман маӀа схьа а лаций! Аьрзу санна, мостагӀий Везачу Элан халкъана тӀелета, хӀунда аьлча Соьца бина барт бохийра цара, Аса бинчу товрат-хьехамашна дуьхьалбевлла уьш.</verse>
				<verse number="2">Цара Соьга шийла маьхьарий деттар ду: „Сан Дела! Хьо тхуна вевза. Тхо Исраилан халкъ ма ду!“ — бохуш.</verse>
				<verse number="3">Исраилан халкъ диканах дӀадирзина. МостагӀа цунна тӀаьхьа вер ву.</verse>
				<verse number="4">Цара, Сох дага а ца бовлуш, паччахьаш шаьш дӀахӀиттабора. Соьга а ца хоьттуш, элий а дӀахӀиттабора. Шайн детих а, шайн деших а шайна цӀуш бина цара, амма оцу цӀуйн хӀаллакьхиларан Ӏалашонна бен хир дац иза.</verse>
				<verse number="5">Шамранан бахархой, шун эса-цӀу витина Аса! Сан оьгӀазло царна дуьхьал карзахъяьлла. Уьш мел латта бохку те, цӀушна Ӏамалъярх цӀанбелла боцуш?</verse>
				<verse number="6">И цӀу а — Исраилан халкъо дина хӀума ду. Иза суьрташ дечо ма вина, цундела иза Дела ма вац. Шамранан цӀу долу эса дохор ма ду!»</verse>
				<verse number="7">«Шаьш-шайна мох кхиийна дела, цара дарц лахьор ду. Кенаш доцучу кӀенах ялта кхуьур дац. Нагахь санна ялта кхиънехьара, хийрачу наха иза дӀакхоллур дара.</verse>
				<verse number="8">Исраилан халкъ дӀакхаьллина яа хӀума санна дӀахӀоьттира. Кхечу къаьмнашна юкъахь иза пайденна йоцу пхьегӀа санна хилира.</verse>
				<verse number="9">Исраилан халкъ Ашур-махка дӀадахара. Виркхело шена лоьхуш йолу акха вир санна, Эпрайма совгӀаташ дарца безаргаш шегахьа бохура.</verse>
				<verse number="10">Цара кхечу къаьмнашна тӀе совгӀаташ кхехьийтинехь а, Аса уьш кестта схьагулбийр бу. ТӀаккха уьш гӀелонехь хир бу сийлахьчу паччахьан куьйгех.</verse>
				<verse number="11">Бакъду, Эпрайма дуккха а къинах долу сагӀа доккху меттигаш кечйина, амма уьш цунна къа латоран меттигаш хилла дӀахӀиттина.</verse>
				<verse number="12">Дуккха а Сайн товрат-хьехамаш Аса язбира цунна, амма цо уьш шена хийра болуш санна лерина.</verse>
				<verse number="13">Суна дийнаташ дайина сагӀанаш а дохий, оцу дийнатийн жижиг доу цара. Везачу Элана тамехь дац иза. Ткъа хӀинца Везачу Эло тидам бийр бу цара динчу зуламийн, цара летийна къинош бахьана долуш, Цо таӀзар дийр ду: уьш Мисар-махка юхаберзор бу».</verse>
				<verse number="14">«Исраилан халкъо паччахьан гӀишлош дӀахӀиттийна, ткъа ша ДӀахӀоттийнарг цо виц ма вина. Амма Аса церан гӀаланех цӀе тосур ю, ткъа оцу цӀеро церан паччахьан гӀишлош дӀакхоллур ю».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="9">
				<verse number="1">Исраилан халкъ, кхидолу халкъаш санна, хазахетар тӀехдолуьйтуш доккха ма де. Хьайн Делах дӀа а дирзина, ахьа кхахьпалла леладора. Кхахьпанан алапа хьуна дукхадезара кӀа оруш йолчу массо а хьаьттаршкахь.</verse>
				<verse number="2">Хьаьттаро а, муттдоккхурго а исраилхой бузор ма бац. Кемсийн мутт царна тоьар ма дац.</verse>
				<verse number="3">Уьш Везачу Элан лаьтта тӀехь бехар бац: эпраймхой а Мисар-махка юхабоьрзур бу, цара Ашур-махкахь хьарамниг юур ю.</verse>
				<verse number="4">Цара Везачу Элана чагӀаран сагӀа дуттур дац. Иза резавархьама, дийнатийн сагӀанаш даха церан таро хир яц. Церан бепиг Везачу Элан цӀа чу дахьа таро йоцу Дела, иза Далла хьалха боьха хир ду, и бепиг церан гайна бен кхача хир бац. И бепиг диънарш массо а Далла хьалха боьха хир бу, тезетахь дууш долу бепиг иза долуш санна.</verse>
				<verse number="5">ХӀун дийр ду аша билгалдаьккхинчу дезачу дийнахь а, Везачу Элана леринчу дезачу дийнахь а?</verse>
				<verse number="6">Бохам болчуьра исраилхой дӀагӀахь а, уьш Мисар-махко схьагулбийр бу. Нуп-гӀалин лаьттахь дӀабухкур бу уьш. Ниттийн дола евр ю церан детин хӀуманаш. Коканийн кӀохцалш девр ду церан цӀенош тӀехь.</verse>
				<verse number="7">Дала таӀзар дийр долу денош тӀекхаьчна, Везачу Эло хьакъ дерг дӀалур долу денош тӀекхаьчна. ДӀахоийла иза Исраилан халкъана! «ХӀара пайхамар сонта ву, — боху цара — Делан Синах ша вуьзна моьттург хьекъалх ваьлла ву». Делахь а шун мостагӀалла алсамдаьлла, аша дукха къинош летийна дела.</verse>
				<verse number="8">Пайхамар сан Далла уллохь ву, ткъа иза Эпрайман халкъан ха ду. Олхазарш лецархочун речӀанаш массо а некъаш тӀехь дӀахӀиттийна ю, ткъа мостагӀалла ур-атталла цуьнан Делан цӀа чохь а ду.</verse>
				<verse number="9">Кхоччуш телхина къинош ма летийна цара, ГебаӀ-гӀалахь хиллачу деношкахь санна. Далла дагадогӀур ду церан къинош. Церан къинош бахьана долуш, царна таӀзар дийр ду.</verse>
				<verse number="10">Везачу Эло боху: «Суна Исраилан халкъ схьакарийча, яьссачу аренгахь кемсаш каро хан санна хилла иза. Суна шун дай гича, инжиран дитта тӀехь хьалххе хуьлу дуьххьарлера инжир санна хилла иза. Амма уьш БаӀал-ПаӀорна тӀебахча, сийсаза долчунна юкъаозабелира. Иза а дина, шайна везавелла цӀу санна, маьттаза бевлира уьш.</verse>
				<verse number="11">ТӀемадаьлла олхазар санна, дӀадовр ду эпраймхойн сийлалла: дуьнен чу бер а дер дац, зуда берах а хир яц, церан кийрахь бераш а кхуллур дац.</verse>
				<verse number="12">Цара шайн бераш кхиадахь а, Аса уьш цаьргара схьадохур ду. Ма доккха къа хир ду-кх церан Со шайх дӀавирзинчу дийнахь!</verse>
				<verse number="13">Цкъа Эпрайман халкъ гина Суна, исбаьхьачу меттигехь дӀайийна къона хурма санна, ткъа хӀинца цо шен бераш арадаха деза, уьш дайъийтархьама.</verse>
				<verse number="14">Ва Веза Эла, бекхам бехьа царна! Стенца царна хьакъдерг дала деза Ахь? Лохьа царна бер ца хуьлу кийра а, дакъаделла накхош а».</verse>
				<verse number="15">Везачу Эло боху: «Цара мел деш долу зулам Галгал-гӀалахь долийнера. Суна циггахь ца дезаделира и халкъ. Цуьнан зуламе гӀуллакхаш бахьана долуш, Аса и халкъ Со волчуьра эккхор ду. Суна иза кхин дезар дац. Цуьнан куьйгалхой берриш а аьрха бу.</verse>
				<verse number="16">Эпрайман халкъ охьатоьхначу диттах тера ду: цуьнан орам бакъабелла, цо кхин стом лур бац. Ур-атталла цара бераш дахь а, церан кийрара схьадевлларш хӀаллакдийр ду Аса, мел хьоме уьш царна делахь а».</verse>
				<verse number="17">Сан Дала дӀатоттур ду и халкъ, цо Шега ла ца доьгӀна дела. Къаьмнашна юкъахь кхерсташ, доладелла лелар ду иза.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="10">
				<verse number="1">Исраилан халкъ токхе таьлланг санна дара, рогӀ-рогӀехь стом луш долу. Шен стоьмаш а, ялта а алсамдаларе терра, цӀушна сагӀа доккху меттигаш а алссам кечйора цо. Шен лаьтто кхиийнарг совдаларе терра, кхечу деланашна хӀиттийна тӀулгаш а алссам хаздора цо.</verse>
				<verse number="2">Исраилхойн дог мекарлонех дуьзна ду, церан къиношна доггӀург хӀинца царна дийр ду. Везачу Эло церан сагӀа доккху меттигаш а хӀаллакйийр ю, церан цӀушна дӀахӀиттийна тӀулгаш а дохор ду.</verse>
				<verse number="3">Баккъалла а, кестта оцу халкъо эр ду: «Вайн паччахь вац, Везачу Элах вай ца кхийрина дела. Паччахьо а хӀун дийр дара вайна?»</verse>
				<verse number="4">Вайн паччахьаша даьсса къамелаш до, харц а луьйш, чӀагӀонаш а йо, пайда боцуш болу барташ а бо. Нийса йоцу нийсо а хьалакхиайо, аренан хершнаш тӀе йолу дӀаьвше буц санна.</verse>
				<verse number="5">Шамран-гӀалин бахархой Ӏадор бу, Байт-Аванехь волу эса-цӀу бахьана долуш. Цуьнан халкъ цунна тийжар ду, цунах баккхийбина болу харцдинан дай, цуьнан сийлалла бахьана долуш, боьлхур бу, и сийлалла халкъера дӀаер йолу дела.</verse>
				<verse number="6">Цул сов, и эса-цӀу Ашур-махка дӀахьур ву сийлахьчу паччахьна совгӀатна. Эпрайман халкъ а юьхьӀаьржачу хӀоттийна хир ду. Исраилан халкъана шена, дечиган цӀу бахьана долуш, эхь хетар ду.</verse>
				<verse number="7">Шамран-гӀалара паччахь вовр ву, хина тӀехула хӀутту маргӀал санна.</verse>
				<verse number="8">ХӀаллакйина хир ю Авайнан сагӀа доккху лакхенаш — Исраилан халкъан къинош. СагӀа доккхучу церан меттигаш тӀе кӀохцалш а, яраш а евр ю. ТӀаккха халкъо эр ду лаьмнашка: «ДӀахьулдейша тхо!» Баьрзнашка а доьхур ду: «ТӀеэгийша тхуна!» — бохуш.</verse>
				<verse number="9">Везачу Эло боху: «ГебаӀ-гӀалахь леточу хенахь дуьйна ахь къинош летадо, ва Исраилан халкъ. Къинош леточуьра ца севци уьш, ГебаӀ-гӀалахь тӀом тӀекхочур бу царна сийсазаллех буьзначу оцу нахана дуьхьал.</verse>
				<verse number="10">Аса сацам бира царна таӀзар дан. Къаьмнаш царна дуьхьал а девр ду, цара исраилхой боьхкур а бу, цара дина шалха зуламаш бахьана долуш».</verse>
				<verse number="11">«Эпрайман халкъ караӀамийна дуьхьарг санна дара, ялта арарх доккхадеш долу. Цуьнан хаза ворта Аса кхоайина. Амма Аса Эпрайман халкъана дукъ тӀедуьллур ду, ЯхӀудан халкъо охана дан деза, Исраилан халкъо мекха баккха беза.</verse>
				<verse number="12">Шайн дегнаш чу нийсонан хӀу таса, тӀаккха безаман ялта кхуьур ду шуна. Керла латтанаш а дӀааха, хӀунда аьлча Веза Эла лаха веза хан тӀееана. Ша веанчу дийнахь шуна тӀе нийсо, догӀа санна, Цо тӀеӀанор ю.</verse>
				<verse number="13">Аша харцдолчун хӀу а тосура, зуламан ялта а хьокхура, мекарлонан стом а боура. Шаьш дӀакхоьхьучу некъах шу тешарна а, шайн шортта болчу тӀемалойх шу тешарна а,</verse>
				<verse number="14">тӀеман гӀовгӀа ер ю хьан халкъана дуьхьал, хьан массо а чӀагӀонаш йохийна хир ю, тӀеман дийнахь Шалман-паччахьо Байт-Арбел-гӀала йохийча санна, шайн берашца наной хьаьшначу хенахь.</verse>
				<verse number="15">Изза дийр ду шуна, ва Беталан бахархой, барам боцуш аша летийначу къиношна.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="11">
				<verse number="1">ТӀом болабелча, воьхна хьийзар ву Исраилан халкъан паччахь!» «Къона долчу хенахь дуьйна дезара Суна Исраилан халкъ. Мисар-махкара аравалийтархьама схьакхайкхина Аса Сайн кӀанте.</verse>
				<verse number="2">Со цаьрга мел кхойкху, уьш Суна генабовлура. Цара БаӀал-деланашна сагӀанаш а дохура, цӀушна хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора.</verse>
				<verse number="3">Делахь а Аса-Айса Ӏамийнера эпраймхой когаш тӀе дӀахӀитта. Сайн карахь лелабора Ас уьш. Амма шайна дарбанаш лелориг Со хилар къобалдан ца лаьара царна.</verse>
				<verse number="4">Адамийн дикаллин тӀийрагашца Аса уьш тӀеийзабора, безаман машшашца Аса уьш лелабора. Церан вортана тӀера дукъ хьалаойура Аса. Охьа а таьӀна, уьш кхобура Аса.</verse>
				<verse number="5">Уьш Мисар-махка юхабоьрзур-м бац те, Ашур-мохк церан паччахь хилла дӀахӀуттур-м бац те, Соьгахьа юхаберза царна ца лиъна дела?</verse>
				<verse number="6">Церан гӀаланашна тӀе тур кхетар ду, кевнийн хьокхий а дохор ду оцу туьро, нах а дӀакхоллур бу, цара дагалаьцнарг бахьана долуш.</verse>
				<verse number="7">Сан халкъ тешнабехк барна тӀедирзина. Веза Воккхачуьнга шаьш кхойкхуш белахь а, Иза баккъалла а ваз ца во цара.</verse>
				<verse number="8">Муха дӀалур ду Аса хьо, Эпрайман халкъ? Муха дуьтур ду Аса хьо, Исраилан халкъ? Удам-гӀалина диннарг дийр ду те Аса хьуна? Я Цхьабайма-гӀалина диннарг дийр ду те? Сан дог меттахдаьлла, мел болу къинхетам самабаьлла.</verse>
				<verse number="9">ХӀан-хӀа, Сайн оьгӀазе дералла кхочушйийр яц Аса, Сайна хетарг хуьйцур дац Аса, Эпрайман халкъ хӀаллакдийр дац. Со — Дела ма ву, Со адам ма дац. Хьуна юкъахь Со Везаниг ма ву! Дераллица вогӀур вац Со.</verse>
				<verse number="10">Уьш Везачу Элана тӀаьхьахӀуьттур бу. Цо Шен аз, лоьмо санна, хозуьйтур ду. ТӀаккха, сих а луш, богӀур бу Цунна тӀе малхбузера кӀентий.</verse>
				<verse number="11">Сих а луш, юхабоьрзур бу уьш, Мисар-махкара, схьадогӀу олхазарш санна, Ашур-махкара, схьадогӀу кхокхарчий санна. Ткъа Аса уьш шайн-шайн цӀеношка охьаховшор бу». Иштта боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="12">«Эпраймхоша шайн аьшпашца го бина Суна. Ткъа исраилхоша — мекарлонца бина. ЯхӀудан халкъ хӀинца а Делаца лелаш ду, Везачуьнца иза тешаме ду.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="12">
				<verse number="1">Эпрайман халкъ мох бажош ду, дерриг а дийнахь малхбалерчу махана тӀаьхьадолу иза. Ша лело харцонаш а, бохамаш а алсамбоху цо. Ашур-махкаца барт а бо цо, Мисар-махка зайтдаьтта дохьуьйту цо».</verse>
				<verse number="2">Везачу Эло ЯхӀудан халкъе бехкаш доху. Якъубан тӀаьхьенна таӀзар дийр ду Цо, церан некъашка хьаьжжина. Царна дан догӀург а дийр ду Цо, церан гӀуллакхашка хьаьжжина.</verse>
				<verse number="3">Ненан кийрахь а волуш, шен вешин кӀажа лецира Якъуба. Ткъа стаг а хилла ша дӀахӀоьттича, Делах летира иза.</verse>
				<verse number="4">Маликах а летта, кӀел ца висира Якъуб. Воьлхуш, шех къинхетам бар дийхира цо. Беталахь иза карийра Далла, цигахь цуьнга къамел дира Цо.</verse>
				<verse number="5">Иза массо а ницкъийн Веза Дела вара, цӀе, «Волуш Верг» аьлла, йоккхура Цуьнан.</verse>
				<verse number="6">Иштта шу, Якъубан тӀаьхьенах дерш, шайн Далла тӀедерзийша! Безамца лелийша, нийсо лелаейша, шайн Деле даим сатийсийша!</verse>
				<verse number="7">Совдегар шен карахь нийса доцучу терзанца нах лебеш хазахеташ ву.</verse>
				<verse number="8">Эпраймхоша а шаьш хестабо: «Вай дукха дика даха хевшина, вай шортта бахам гулбина. Цхьаммо вайна бехк буьллийла дац вай лелийначу къилахь долчунна», — бохуш.</verse>
				<verse number="9">«Амма Со шун Веза Дела ву, Мисар-махкара шу арадаьхна волу. Аса юха а четарш чу даха охьаховшор ду шу, яьссачу арахь шу долчу Со веанчу деношкахь санна.</verse>
				<verse number="10">Со пайхамаршка вистхуьлура. Ас дуьхьалхӀуьтту суьрташ а алссам гойтура, пайхамаршкахула хьекъале дустарш а даладора».</verse>
				<verse number="11">ГалӀад-гӀалахь нах цӀушна Ӏамал еш буй? Цуьнан бахархой баккъалла а цхьана а хӀуманна тӀе кхочур бац. Галгал-гӀалахь наха эсий дойу. Церан сагӀа доккху меттигаш кхен хершнашкахь гулдинчу тӀулгийн баьрзнаш санна хир ю.</verse>
				<verse number="12">Якъуб Арам-мехкан аренашка веддера. Цигахь Исраила зудчун дуьхьа болх а бора, зуда ялорхьама, жа а Ӏалашдора.</verse>
				<verse number="13">Амма Везачу Эло пайхамаран гӀоьнца исраилхой Мисар-махкара арабехира. Цо уьш Ӏалашбора пайхамарехула.</verse>
				<verse number="14">Эпрайман халкъо Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахийтина. Ӏанийначу цӀийна цуьнгара жоп доьхур ду Цо. Цадашар Везачу Эло цунна дуьхьалдоккхур ду.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="13">
				<verse number="1">Эпрайман халкъ дистхилча, массо а бегабора. И халкъ лакхара лорура Исраилан халкъашна юкъахь. Амма, БаӀална Ӏамал ян доладелча, иза бехке а хилира, дала а делира.</verse>
				<verse number="2">Исраилхоша хӀинца а шайн къинош совдоху. Цара шайна лалийна цӀуш бо. Шайн детих говза йина хӀуманаш бен яц уьш, ерриш а куьпчичо кхоьллинарш бен яц. Оцу нахах олуш ма ду: «Эсашна сагӀанаш дохучу наха эсашна барташ боху!»</verse>
				<verse number="3">И бахьана долуш уьш Ӏуьйренан дохк санна а, хьалххехь дӀадолу тхи санна а хир бу, хьаьттара мохо дӀахьоькху ялтин нехаш санна а, биргӀанан чуьра хьалаболу кӀур санна а.</verse>
				<verse number="4">Везачу Эло боху: «Амма Со шун Веза Дела ву, Мисар-махкара шу арадаьхна волу. Со воцчунна, кхин цхьана а далла улло ма гӀерта. Со воцург, шу кӀелхьардохург кхин цхьа а ма вац.</verse>
				<verse number="5">Яьссачу аренгахь шуна уллохь хилларг Со ма вара, къаьсттина декъа долчу оцу лаьттахь.</verse>
				<verse number="6">Ас кхобучу хенахь, уьш буьзна бара. Ткъа шаьш буьзча, церан дегнаш курадовлура. Цундела цара Со вицвора.</verse>
				<verse number="7">И бахьана долуш Со лом санна хир ву царна. Некъан йистехь кӀелхиъна долу цӀокъ санна, кечлур ву Со.</verse>
				<verse number="8">КӀорнех яьккхина ча санна, тӀелетар ву Со царна. Шена чохь дог долу церан накха этӀор бу Аса. Уьш, лоьмо санна, буур бу Аса. Уьш цоьстур бу аренийн акхароша».</verse>
				<verse number="9">«Аса хӀаллакдийр ду хьо, Исраилан халкъ. ТӀаккха хьан гӀо дийр ду хьуна?</verse>
				<verse number="10">Мичахь ву хьан паччахь хӀинца? Цо хьо кӀелхьардаккха ца дезара те? Массо а хьан гӀаланашкара хьан куьйгалхой мичахь бу? Царах лаьцна ма элира ахь: „Лохьа тхуна паччахь а, хьаькамаш а!“</verse>
				<verse number="11">Аса паччахь велира хьуна Со оьгӀазвахханчохь, ткъа, Со дарвелча, схьа а ваьккхира иза.</verse>
				<verse number="12">Эпрайман халкъан харцонаш схьагулйина ю, цуьнан къинош дӀадехкина ду.</verse>
				<verse number="13">Бер дечу зудчун хуьлу лазарш тӀедогӀур ду цунна. Иза хьекъал доцу кӀант ву. Дуьнен чу вала хан тӀееача, ненан кийрара аравала цунна ца лаьа.</verse>
				<verse number="14">Эхартан карара Аса уьш паргӀатбохур буй те? Ӏожаллех Аса уьш кӀелхьарбохур буй те? Ӏожалла, мичахь ду хьан уьнаш? Эхарт, мичахь бу хьан бохам? Айса динчунна Со дохковер вац!</verse>
				<verse number="15">Эпрайман халкъ кхидолчу Исраилан халкъашна юкъахь дебнехь а, малхбалера онда мох схьахьоькхур бу. Везачу Элан мох яьссачу аренгара схьабогӀур бу. Эпрайман халкъан шовда дакъалур ду, цуьнан хьоста а лекъар ду. Оцу мохо талхор ду сайрана чохь долу массо а деза сурсаташ.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="14">
				<verse number="1">Шамран-гӀалане жоп доьхур ду, иза шен Далла дуьхьалъяьлла дела. Шамранхой туьро эгор бу. Церан бераш хьоьшур ду, берах болу зударий а цоьстур бу».</verse>
				<verse number="2">Исраилан халкъ! Юхадерзахьа хьайн Везачу Далла тӀе! Хьан къиноша ма галдалийтина-кх хьо.</verse>
				<verse number="3">Шайца хӀара дешнаш схьа а эций, Везачу Элана юхадерзийша. Иштта алийша Цуьнга: «Гечдехьа тхан массо а къиношна, тӀеэцахьа тхан дохкодовларан доӀа, ткъа оха Хьуна хастамийн сагӀанаш дохур ду.</verse>
				<verse number="4">Ашур-махке тхо кӀелхьардахалур дац. ТӀеман динна тӀе тхо кхин ховшур дац. Тхан куьйгаша йинчу хӀуманех оха кхин эр дац „тхан деланаш“, хӀунда аьлча байлахь болчаьрга къинхетам Хьоьгахь бен бац».</verse>
				<verse number="5">Везачу Эло иштта боху: «Сайх дӀаберзарх уьш тобийр бу Аса. Сайн лаамца безалур бу Суна уьш, Сан оьгӀазалла царна тӀера дӀаяьлла дела.</verse>
				<verse number="6">Исраилан халкъана тхи хилла дӀахӀуттур ву Со. Цо заза доккхур ду, петӀамат-зезаго санна. Ливанунан дитто санна, шен орамаш тосур ду цо.</verse>
				<verse number="7">Цуьнан зӀийдагаш дӀасаяьржар ю. Зайт-диттан санна, хир ю цуьнан хазалла. Ливанунан баганан диттах йогӀург санна, хаза хьожа йогӀур ю цунах.</verse>
				<verse number="8">Юха а бирзина, цуьнан ӀиндагӀехь Ӏийр бу уьш. КӀа санна, денлур бу уьш, кемсийн таьлланг санна, хьалакхуьур бу, Ливанунан чагӀаран санна, церан хьожа хир ю.</verse>
				<verse number="9">Ва Эпрайман халкъ, цӀушца Сан хӀун бала бу? Хьан доӀанаш хезаш верг Со ма ву, Хьо Ӏалашдийриг а Со ма ву, сийна зоьзан-дитт санна ма ву Со, Сох бен стоьмаш хир бац хьуна».</verse>
				<verse number="10">Мила ву хьекъале кху дерригенах кхета? Мила ву кхетам болуш хӀара дерриг а хаа? Везачу Элан некъаш нийса ду. Делаца берш оцу некъашца лела, ткъа аьрха нах царна тӀе оьгур бу.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="29">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">Патуалан кӀанте Юале Везачу Элера хаам хилира.</verse>
				<verse number="2">ЛадогӀа бохучуьнга, къаной! Тидам бе, кху мехкан массо а бахархой! Хиллий те хӀара саннарг шу я шун дай баьхначу деношкахь?</verse>
				<verse number="3">ДӀахаийта хӀара шайн берашка, цаьрга а дӀадийцийта церан берашка, ткъа церан берашка — хинйолчу тӀаьхьене.</verse>
				<verse number="4">ЦӀазан хьалхарчу тобано диинчух диснарг шолгӀачу арданго дуура, ткъа царах диснарг кхоалгӀачу арданго дуура, ткъа царах диснарг йоьалгӀачу арданго чекхдоккхура.</verse>
				<verse number="5">Дастало, маларо дахийнарш, делха, тийжа, массо а чагӀар муьйлурш, шайн багара иза дӀадаьккхина дела!</verse>
				<verse number="6">Сан лаьтта тӀе нуьцкъала а, барам боцуш дукха а цӀазан эскар деана. Цуьнан цергаш лоьман цергаш санна ю, ткъа цуьнан мочхалш — стечу лоьман санна ю.</verse>
				<verse number="7">Цо Сан кемсийн таьллангаш а яссийна, Сан инжиран дитташ а, дохийна, дерзина а даьхна, дӀакхиссина! Церан гаьннаш а кӀайделла.</verse>
				<verse number="8">Сингаттаман духар тӀе а дуьйхина, шен къоначу заманчохь дош деллачунна йоьлху йоӀстаг санна, делхийша!</verse>
				<verse number="9">ДӀасецна Везачу Элан цӀа чохь кӀен а, чагӀаран а сагӀа даккхар. Тийжаш бу Везачу Элана гӀуллакх деш болу динан дай.</verse>
				<verse number="10">Дассийна кхаш, доьлху латта, ялта хӀаллакдина, кемсийн мутт дӀалекъна, зайт-дитт а маргӀалдоьлла.</verse>
				<verse number="11">Эхьах дузийша, латталелорхой, делхийша, кемсашлелорхой, гӀайгӀане хилийша кӀена а, мекхана а, хӀунда аьлча хӀаллакьхилла кхаш тӀехь ялта.</verse>
				<verse number="12">Якъаелла кемсийн таьлланг, инжиран дитт а маргӀалдоьлла. Наран дитт а, хурмин дитт а, Ӏожан дитт а — дерриге а дитташ дакъаделла аренгахь. Цундела массо а адамийн сакъерадалар а дӀадаьлла.</verse>
				<verse number="13">Сингаттаман духар а духий, юкъ а ехкий, делха, динан дай! Тийжа, сагӀа доккхучу кхерча тӀехь гӀуллакх дийраш! Схьадуьйла, сингаттаман духарш а духий, буьйсанаш яха, сан Далла гӀуллакх дийраш! ХӀунда аьлча шун Делан цӀа чохь лелош дац кӀен а, чагӀаран а сагӀа даккхар.</verse>
				<verse number="14">ДӀахӀоттадейша Далла марха кхабар, схьакхайкхийша халкъ динан гуламе, схьакхайкхийша къаной а, кху мехкан берриг а бахархой а шайн Везачу Делан цӀа долчу. ГӀо доьхуш кхайкхийша, кхайкхийша Везачу Эле!</verse>
				<verse number="15">ЭхӀ, ма де ду-кх иза! ХӀунда аьлча герга ду Везачу Эло кхел ен де. Цу дийнахь Нуьцкъалчо дерриг хӀума а хӀаллакдеш болу ницкъ гойтур бу.</verse>
				<verse number="16">Вайн бӀаьргашна хьалхара дӀа ца баьккхинера кхача? Вайн Делан цӀийнера дӀа ца даьккхина сакъерадалар а, хазахетар а?</verse>
				<verse number="17">ХӀуш хӀаллакьхилла лаьттан бухахь, уьш дакъаделла долу дела. ЧӀоьнаш а яссаелла, уьш йохийна йолу дела.</verse>
				<verse number="18">Ма узарш до даьхнино! Хьайбанаш а ду охкаделла лелаш! Яц царна дежийлаш. УьстагӀийн жаш а ду гӀайгӀане.</verse>
				<verse number="19">Хьоьга кхойкху ас, Веза Эла! ЦӀеро ма ягийна яьссачу аренан дежийлаш. ЦӀеран алуно дагийна аренашкара дерриге а дитташ.</verse>
				<verse number="20">Ур-атталла дийнаташа а орца доккху Хьоьга, охьаоьхуш хилла йолу хин Ӏовраш якъаелла дела, цӀеро яьссачу аренан дежийлаш хӀаллакйина дела.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Лакхийша маӀа Цийон-лам тӀехь! Орца даккхийша Сан безачу лам тӀехь! Бегабойла хӀокху мехкан берриг а бахархой, хӀунда аьлча Везачу Элан де тӀедогӀу, иза герга ду.</verse>
				<verse number="2">И де боданан а, Ӏаржаллин а де ду, мархаш а, дохк а долуш. Лаьмнашкахула дӀасаяьржа буьйса санна, доккха а, нуьцкъала а долу цӀазан эскар тӀедогӀу. Иштта долу эскар азалера дуьйна а хилла дац, ткъа иза абаде тӀеяллалц а хир дац.</verse>
				<verse number="3">Цунна хьалха дерг цӀеро дагадо, цунна тӀаьхьа дерг алуно морцу. Цуьнан хьалхара латта Ӏеданан беш санна ду, ткъа цунна тӀаьхьарниг — яссийна аре ю. Цунах цхьа а хӀума кӀелхьардалалур дац.</verse>
				<verse number="4">Цуьнан васт — дойн васт санна ду. Церан хахкадалар тӀеман говрийн санна ду.</verse>
				<verse number="5">Иза гӀудалкхийн гӀовгӀанца санна, ча догуш лелха цӀеран суйнаш санна, тӀамана дӀахӀоттийна нуьцкъала эскар санна, лаьмнийн баххьашкахула хахкаделла лела.</verse>
				<verse number="6">Иза шайна гича, дегор ду халкъаш, бос а байна, дӀахӀуьттур ю массеран а яххьаш.</verse>
				<verse number="7">Къовсабелларш санна бовду уьш, пенашна тӀе бовлу уьш, майра тӀемалой санна. ХӀора а шен-шен новкъа дӀавоьду, шен некъа тӀера ца вухуш.</verse>
				<verse number="8">Вовшийн а ца хьоьшуш, хӀораммо а шен некъ бо. Дуьхьалонашкахула уьш ма лелха, ткъа царна хӀумма а ца хуьлу.</verse>
				<verse number="9">ГӀали чухула бевдда лела уьш, пенашна тӀе хьалабуьйлу, цӀеношна чу гӀерта, къуй санна, корашкахула чулелха.</verse>
				<verse number="10">Царна хьалха латта дегадо, стигал лестайо, малххий, буттий кхулу, седарчаша схьалуш йолу серло а дӀайолу.</verse>
				<verse number="11">Веза Эла эскарна хьалха воьду, Цо Шен эскаре омра до. Ма шортта ду Цуьнан долахь долу эскар! Ма нуьцкъала бу Цуьнан дош кхочушдийраш! Везачу Эло кхел ен де сийлахь ду. Хьаьнга лалур ду те и къематде?</verse>
				<verse number="12">Амма Везачу Эло хӀинца а боху: «ТӀедерза Суна цӀеначу даггара шаьш кхобучу мархица, дечу белхарца, тийжарца.</verse>
				<verse number="13">Бедарш а ца этӀош, шайн дегнаш этӀаде». ТӀедерза шайн Везачу Далла! Иза дика ойла йолуш а, къинхетаме а ву. Иза атта оьгӀаз а ца воьдуш, ткъа боккха безам болуш ву. Шена цхьанна бохам бан дагадеача, Иза сихха дохковолу.</verse>
				<verse number="14">Хьанна хаьа, дохко а ваьлла, къинхетам бийр бац те Цо? ТӀаккха шун таро хир ю шайн Везачу Далла лерина кӀен а, чагӀаран а сагӀанаш даха.</verse>
				<verse number="15">Лакхийша маӀа Цийон-лам тӀехь, дӀахӀоттадейша Далла марха кхабар, кхайкхийша халкъ динан гуламе.</verse>
				<verse number="16">Схьагулдейша халкъ, базбейша и гулам, схьакхайкхийша къаной, схьагулбейша къонахий а, декхаш долу бераш а. Араволийла хӀинца зуда ялийнарг ша вехачу хӀусамера, нускал а арадолийла шен цӀа чуьра.</verse>
				<verse number="17">Далла гӀуллакх деш болу динан дай тийжийла кевнна а, сагӀа доккхучу кхерчана а юккъехь. Олийла цара: «Къинхетам бехьа, Веза Эла, Хьайн халкъах. Ма кхардийтахьа Хьайн тӀаьхьенах, кхидолу халкъаш ма делийтахьа цунах. Стенна бохур ду къаьмнашна юкъахь: „Мичахь ву церан Дела?“»</verse>
				<verse number="18">ТӀаккха Везачу Элана Шен латта чӀогӀа дукхадийзира. Цо Шен долахь долчу халкъах къинхетам бира.</verse>
				<verse number="19">Везачу Эло, жоп а луш, Шен халкъе элира: «ХӀан, Ас лур ду шуна ялта а, чагӀар а, зайтдаьтта а. Царах дузуш Ӏийр ду шу. Ас кхин дӀалур дац шу къаьмнаш шух кхардийта.</verse>
				<verse number="20">Къилбаседехьара деана эскар Ас шуна генадоккхур ду. Хи доцучу, баьссачу махка дӀаэккхор ду Аса иза. Цуьнан хьалхара арданг Малхбале хӀорда чу кхуссур ю, ткъа тӀаьхьарниг — Малхбузе хӀорда чу. ТӀаккха цунах цхьа боьха хьожа йогӀур ю, яхкаеллачу хӀуманийн боьха хьожа хьалаетталур ю, цо шуна сийлахь гӀуллакхаш дарна.</verse>
				<verse number="21">Ма кхерийша, аренаш, яккхийъейша, самукъане хилийша, Везачу Эло шуна сийлахь гӀуллакхаш дина дела.</verse>
				<verse number="22">Ма кхерийша, дийнаташ! Яьссачу аренийн дежийлаша бецаш кхиор ю. Дитташа шайн стоьмаш кхиор бу, инжиро а, таьлланго а шорто лур ю.</verse>
				<verse number="23">Даккхийде шу а, Цийонан кӀентий, сакъералуш хила шайн Веза Дела шуьца хиларна. Цо оьшшучу барамехь дӀаделира шуна догӀа. Цо, хьалха санна, даийтира шуна хьалххе хуьлу а, тӀаьхьа хуьлу а догӀа.</verse>
				<verse number="24">Хьаьттарш а ялтех юзур ю, муттдоккхургаш а кемсийн муттанах а, зайтдаьттанах а тӀехъюьзна хир ю.</verse>
				<verse number="25">Шу долчу Ас тӀехецначу эскаро — цӀазан хьалхара арданго а, цӀазан кхин мел йолчу ардангаша а — хӀаллак мел динарг, Ас меттахӀоттор ду.</verse>
				<verse number="26">Шаьш Ӏаббалц а юуш, дуьзна хир ду шу. Шайн Везачу Делан цӀарна хастамаш бийр бу аша, шайна тӀехь Цо инзаре гӀуллакхаш дина дела. Сан халкъ кхин цкъа а юьхьӀаьржачу хӀуттур дац.</verse>
				<verse number="27">ТӀаккха хуур ду шуна Со Исраилан халкъана юкъахь хилар. Со шун Веза Дела ву, кхин цхьа а дела а вац, Сан халкъ кхин цкъа а юьхьӀаьржачу а хӀуттур дац».</verse>
				<verse number="28">«Цул тӀаьхьа иштта хир ду: Аса Сайн Синан Ӏаь тухур ю дерриг а адамна тӀе. ТӀаккха шун кӀентий а, мехкарий а, шайга пайхамаралла а доьссина, Делера болу хаамаш беш хир бу. Шун баккхийчарна Делера долу гӀенаш гур ду. Ткъа кегийнаш Делера долу тамашийна суьрташ дуьхьалхӀуьттуш хир бу.</verse>
				<verse number="29">Ялхошна тӀе, божаршна я зударшна делахь а, Сайн Синан Ӏаь тухур ю Аса цу деношкахь.</verse>
				<verse number="30">Аса тамашийна билгалонаш гойтур ю стигалахь а, лаьттахь а: цӀий, цӀе, кӀуьран бӀогӀамаш.</verse>
				<verse number="31">Малхах бода хир бу, баттах цӀий хир ду, Везачу Элан де тӀекхачале. Иза сийлахь а, къемате а ду.</verse>
				<verse number="32">Цу хенахь хӀорра а Везачу Эле кхойкхуш верг кӀелхьарвоккхур ву. Везачу Эло ма-аллара, кӀелхьардовлар Цийон-лам тӀехь а, Ярушалаймехь а хир ду. КӀелхьарбаьхнарш Дала Ша тӀекхайкхинарш хир бу».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">«Оццу деношкахь а, оццу хенахь а Ас юхаметтахӀоттор ю ЯхӀуд а, Ярушалайм а.</verse>
				<verse number="2">Ас массо а къаьмнаш схьагулдийр ду. Уьш ЯхӀушапти-тогӀи чу схьадалор ду Ас. Цигахь Ас царна тӀехь кхел йийр ю Сайн долахь долу Исраилан халкъ бахьана долуш. ХӀунда аьлча цара Сан халкъ къаьмнашна юкъахь дӀасадаржийна, Сан латта а цара дӀасадекъна.</verse>
				<verse number="3">Цара Сан халкъах кхаж туьйсура, кӀентий а дӀалора нахаца лелачу зудчух, йоӀ а чагӀарх дӀаюхкура, маларш а муьйлура.</verse>
				<verse number="4">Шу-м хӀун яра Суна, Цора а, ЦӀадан а гӀаланаш, пӀелаштамхойн массо а латтанаш? Суна бекхам бан лаьий те шуна? Атта а, кестта а Сан халкъана динарг шун кортошна тӀе а дерзор ду.</verse>
				<verse number="5">Сан дети а, Сан деши а аша дӀадаьхьна. Сан уггар а тоьллачех йолу еза хӀуманаш а шайн деланийн цӀенош чу яьхьна.</verse>
				<verse number="6">ЯхӀудан а, Ярушалайман а бахархой грекахошна дӀабухкура аша, церан дозанашкара уьш генна бахархьама.</verse>
				<verse number="7">Хьажал, аша дӀабоьхкинчу меттера Аса хьалагӀиттор бу уьш, Сан халкъана динарг шун кортошна тӀе а дерзор ду.</verse>
				<verse number="8">Шун кӀентий а, йоӀарий а яхӀудхошна дӀабухкуьйтур бу Ас. Ткъа цара уьш шебахошна, геннара долчу халкъана дӀабухкур бу», — иштта аьлла Везачу Эло.</verse>
				<verse number="9">«ДӀакхайкхаде иза кхечу къаьмнашна юкъахь: „ТӀамана кечам бе, иракарахӀиттабе доьналла долу эскархой, дуьхьалбовлийта массо а тӀемалой.</verse>
				<verse number="10">Шайн готанийн хьонхалех тарраш де, маьрсех — гоьмукъаш бе. ГӀорасиза волчо а ала: ‘Со ницкъ болуш ву’.</verse>
				<verse number="11">Сихло, тӀегулло, гонах мел долу къаьмнаш, схьадуьйла оцу тогӀи чу“». Веза Эла, охьабигахьа Хьайн доьналла долу эскархой!</verse>
				<verse number="12">«Иракара а хӀиттина, къаьмнаш ЯхӀушапти-тогӀи чу догӀийла: Со циггахь охьахуур ву, гонахарчу массо а халкъашна кхел ярхьама.</verse>
				<verse number="13">ТӀедерзаде маьрсаш, ялта кхиъна дела. Схьадуьйла, охьадисса, кемсаш Ӏовда, муттдоккхург юьзна дела. Муттанан пхьегӀаш чуьра мутт тӀехъоьхуш ду, цара дина зулам доккха долу дела».</verse>
				<verse number="14">Тобанаш, тобанаш ю кхел ечу тогӀи чохь. Гергга деана Везачу Элан оьгӀазаллин де оцу тогӀина!</verse>
				<verse number="15">Малх а, бутт а кхоьлина бу. Седарчийн лепар а дӀадайна ду.</verse>
				<verse number="16">Къевкъар ву Веза Эла Цийон-ломара, Ярушалаймера а Шен аз схьахозуьйтур ду Цо. Стигал а, латта а дегор ду. Амма Шен халкъана чӀагӀо хилла дӀахӀуттур ву Веза Эла, Исраилан халкъана гӀап санна хир ву Иза.</verse>
				<verse number="17">«ТӀаккха хуур ду шуна Со шун Веза Дела вуйла, Сайн безачу Цийон-лам тӀехь вехаш волу. Ярушалайм еза меттиг хилла дӀахӀуттур ю. Кхечу къаьмнех берш кхин цкъа а Ярушалаймехула толамхой санна чекхбевр бац».</verse>
				<verse number="18">«Цу дийнахь иштта хир ду: лаьмнаша чагӀар охьаӀенор ду, баьрзнашкара шуьреш охьаоьхур ю, ЯхӀуд-мехкан татолаш а хих дузур ду. Везачу Элан цӀа чуьра шовда охьадогӀур ду, ткъа цо Шитим-тогӀина хи мийлор ду.</verse>
				<verse number="19">Мисар-махках яьсса аре хир ю, ткъа Эдомах яссийна меттиг хир ю. Иза хир ду царна яхӀудхошна цара ницкъ бар а, ЯхӀуд-махкахь бехк боцучеран цӀий Ӏанор а бахьана долуш.</verse>
				<verse number="20">20-21 Ас царна бекхам бийр бу, хӀинца а таӀзар даза дисина цӀий бахьанехь. Амма ЯхӀуд-махкахь даим адамаш дехар ду, Ярушалаймехь а ехар ю тӀаьхьенийн а тӀаьхьенаш. Ткъа Веза Эла Цийон-лам тӀехь вехаш хир ву».</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="30">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">ХӀара дешнаш ТакхоӀарчу жаӀуйх цхьаъ волчу Ӏамосан ду. Цунна уьш, Исраилан халкъах хиндолчух лаьцна шена сурт хӀоьттича, хезнера. Иза, яхӀудхойн паччахьо Ӏузи-ЯхӀус а, исраилхойн паччахьо, ЯхӀуашан кӀанта, ЯрбаӀама а паччахьалла дечу хенахь, мохк бегабале, ши шо хьалха дара.</verse>
				<verse number="2">Ӏамоса иштта элира: «Веза Эла Цийон-ломара къевкъар ву, Ярушалаймера а схьахозуьйтур ду Цо Шен аз. ТӀаккха дежийлаш а якъалур ю, Кармал-ломан бохь а бакъалур бу».</verse>
				<verse number="3">Иштта боху Везачу Эло: «Дамасакхан бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча цара ГалӀад-гӀала аьчка гӀирсаца эрина.</verse>
				<verse number="4">Хьазиал-паччахьан цӀенна тӀе цӀе хоьцур ю Ас, Бен-Хьадидан гӀепаш а ягор ю цу цӀеро.</verse>
				<verse number="5">Дамасакхан кевнаш а дохор ду Ас, Авайн-тогӀин бахархой а хӀаллакбийр бу, Байт-Ӏедан цӀийнера олаллин гӀаж шен карахь йолуш верг а вуьйр ву. Ткъа арамхойн халкъ Кхир-кӀошта йийсаре дӀагӀур ду», — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="6">Иштта боху Везачу Эло: «Ӏази-гӀалин бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча цара дийнна яртийн бахархой йийсаре дӀабеллера, Эдоман карабахийтархьама.</verse>
				<verse number="7">Ӏази-гӀалин пенашна тӀе а цӀе хьажор ю Ас. Цо хӀаллакйийр ю цуьнан гӀепаш.</verse>
				<verse number="8">Ашдод-гӀалин бахархой а хӀаллакбийр бу Ас. Ашкхилун-гӀалахь олаллин гӀаж дӀалаьцнарг а вохор ву Ас. Ӏекхран-гӀалина тӀе а кховдор ду Ас Сайн куьг, пӀелаштамхойх дисина халкъ а хӀаллакьхир ду», — боху Хьалдолчу Эло.</verse>
				<verse number="9">Иштта боху Везачу Эло: «Цора-гӀалин бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча цара дийнна яртийн бахархой йийсаре Эдомана дӀабеллера, царна дага ца беара исраилхошца бина вежараллин барт.</verse>
				<verse number="10">Цора-гӀалин пенашна тӀе а хьажор ю Ас цӀе, цо хӀаллакйийр ю цуьнан гӀепаш».</verse>
				<verse number="11">Иштта боху Везачу Эло: «Эдоман бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча уьш шайн вежаршна, тур а айина, тӀаьхьабевлла лелла. Гергарлонан марзо хер а йина, даим дарбелла лелаш, шайн оьгӀазалла цкъа а ца юьтура цара.</verse>
				<verse number="12">Теман-гӀалина тӀе а цӀе хьажор ю Ас, цу цӀеро хӀаллакйийр ю Бацар-гӀалин гӀепаш а».</verse>
				<verse number="13">Иштта боху Везачу Эло: «Ӏамминхоша юх-юха деш долу зуламаш дуьтур дац Ас бекхам ца беш, хӀунда аьлча цара берах болу зударий цистина ГалӀадехь, шайн латтанийн доза шордархьама.</verse>
				<verse number="14">Ас цӀе хьажор ю Рабба-гӀалин пенашна тӀе. Цо хӀаллакйийр ю гӀалин гӀепаш: тӀом дӀабоьдучу дийнахь — маьхьаршца, йилбазмох болчу дийнахь — йилбазмехаца.</verse>
				<verse number="15">Цу гӀалин паччахь а вуьгур ву йийсаре, цуьнца цхьаьна цуьнан лоруш болу нах а буьгур бу», — боху Везачу Эло.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Иштта боху Везачу Эло: «Муабахоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча муабахоша Эдом-мехкан паччахьан даьӀахкаш, царах чим а беш, ягийна дӀаяьхнера.</verse>
				<verse number="2">Муаби-махкана тӀе цӀе хьажор ю Ас, цо хӀаллакйийр ю Кхиръют-гӀалин гӀепаш, тӀаккха Муаби-мохк хӀаллакьхир бу. И бохам хуьлучу хенахь тӀеман гӀовгӀа хир ю, коьман маӀан аз а хир ду хезаш.</verse>
				<verse number="3">Ас хӀаллаквийр ву цу мехкан куьйгалхо, ткъа цунна гонах берш а хӀаллакбийр бу Ас цуьнца цхьаьна», — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="4">Иштта боху Везачу Эло: «ЯхӀудхоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча Везачу Элан товрат-хьехамаш дӀатеттира цара, Цуьнан парзаш лар а ца дина. Церан дай тӀаьхьахӀиттина леллачу цӀуша тилийна уьш.</verse>
				<verse number="5">Ас цӀе хьажор ю ЯхӀудана тӀе, цо хӀаллакйийр ю цуьнан гӀепаш».</verse>
				<verse number="6">Иштта боху Везачу Эло: «Исраилхоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча цара бакъверг а детих дӀавухку, къениг а вухку шина мачех.</verse>
				<verse number="7">Къечеран кортош лаьттан ченалахь хьоьшуш ду, ткъа мискачарна нийсаниг дан ца магадо цара. Ур-атталла да а, цуьнан кӀант а цхьана зуда-ялхочуьнца лела оьху, Сан еза цӀе емал а еш.</verse>
				<verse number="8">Закъалт а делла, схьаэцна йолу бедарш тӀе а юхий, Ӏохку уьш сагӀанаш дохучу муьлххачу а меттехь. Шаьш гӀуда тоьхна болчу нахера схьаэцна долу чагӀар муьйлу цара шайн Делан цӀа чохь.</verse>
				<verse number="9">Аса баган-дитт санна, лекха волу а, наж санна, онда волу а эмархо шун дуьхьа хӀаллаквина. Ас церан лакха тӀера стом а, лахара орам а хӀаллакбина.</verse>
				<verse number="10">Ткъа Ас шу арадехира Мисар-махкара. Шовзткъа шарахь лелийра Ас шу яьссачу аренгахула, эмархойн латта шун дола далийтархьама.</verse>
				<verse number="11">Ас шун кӀенташна юкъара пайхамарш хоржура, ткъа шун къонахех — назархой хуьлуьйтура. Иштта дац ткъа иза, исраилхой?» — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="12">«Ткъа аша назархошна чагӀар мийладора, пайхамаршка омра дора: „Делера болу хаамаш ма бе!“ — бохуш.</verse>
				<verse number="13">Ас хӀинца охьатаӀор ду шу, цӀевнех юьзначу гӀудалкхо охьа-ма-таӀӀора.</verse>
				<verse number="14">ТӀаккха кадечун а дӀавада ницкъ хир бац, ондачуьнга а шен ондалла латталур яц, тӀемалочуьнга а шен дахар кӀелхьардаккхалур дац.</verse>
				<verse number="15">Пхерчий кхуьссург а дуьхьаллатталур вац, маса лелаш верг а дӀавадалур вац, дошлочуьнга а шен дахар кӀелхьардаккхалур дац.</verse>
				<verse number="16">ТӀемалошна юкъара уггар а доьналла дерг а оцу дийнахь водур ву, герз охьа а тесна», — боху Везачу Эло.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">ЛадогӀа кху даше, исраилхой. Мисар-махкара шу арадаьхначу Везачу Эло шун массо а тукхамашка аьлла:</verse>
				<verse number="2">«Шу бен магийна дацара Ас лаьтта тӀехь мел долчу тукхамашна юкъара. Цундела Ас жоьпе а озор ду шу, аша мел лелийна зуламаш бахьана долуш».</verse>
				<verse number="3">Новкъа вер вуй те шиъ, вовшашца барт а ца беш?</verse>
				<verse number="4">Хьуьнхахь лом угӀуш хуьлий те, шена хьалха ижу ца хилча? Лоьман кӀорнино шен бен чуьра аз хозуьйтуш хуьлий те, ша лаьцна хӀума а йоцуш?</verse>
				<verse number="5">РечӀанна чу нислур дуй те олхазар, шена чӀогӀа езаш йолу хӀума цу чохь ца хилча? ДӀакъовлалур юй те речӀа, цу чу цхьа хӀума ца нисъелча?</verse>
				<verse number="6">Коьман маӀа локхур юй те гӀалахь, адам кхера а ца долуьйтуш? Хуьлий те гӀалина бохам, Веза Эла воцучо тӀебаийтина?</verse>
				<verse number="7">Везачу Эло цхьа а хӀума ма ца до, Шен ялхой болчу пайхамаршка Шен къайле дӀа а ца йовзуьйтуш.</verse>
				<verse number="8">Мила вуьсу, лоьмо гӀигӀ дича, кхера ца луш? Хьалдолчу Эло аьлча, мила вуьсур ву Цуьнгара хаамаш ца беш?</verse>
				<verse number="9">Ашдод-гӀалин а, Мисар-мехкан а паччахьийн цӀеношкахь Ӏаш болчаьрга дӀакхайкхаде: «Схьагулло Шамран-гӀалин лаьмнаш тӀе, хьовса уьш мел низам доцуш бу, цара мел бечу ницкъе», — алий.</verse>
				<verse number="10">«Царна ца хаьа нийсонца лела, — боху Везачу Эло. — Ницкъ беш а, талораш деш а гулйо цара шайн хӀусамашкахь йолу хазна».</verse>
				<verse number="11">Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху: «МостагӀа дерриге а лаьттана гонах хир ву! Цо йохор ю хьан чӀагӀо, хьан хӀусамашна талор дийр ду».</verse>
				<verse number="12">Иштта боху Везачу Эло: «Наггахь Ӏуьно лоьман багара схьайоккху ши ност я лерган кийсак санна, иштта кӀелхьарбаьхна хир бу Шамран-гӀалахь маьнгин йистехь а, Дамасакхехь метта юккъехь а хевшина Ӏаш болу исраилхой.</verse>
				<verse number="13">Ла а догӀа, Якъубан цӀийне дӀахьедар а де», — боху массо а ницкъийн Дела волчу Хьалдолчу Эло.</verse>
				<verse number="14">«Исраилхошна церан къинош бахьанехь Айса таӀзар дечу дийнахь Бетал-гӀалахь долу сагӀа доккху кхерчаш дохор ду Ас. СагӀа доккхучу кхерчийн уггар деза дакъош — церан маӀаш, хеда а йина, лаьтта охьатуьйсур ю.</verse>
				<verse number="15">Ас хӀаллакдийр ду Ӏа доккху а, аьхке йоккху а цӀенош. Пийлан кӀомсаршца кечдина цӀенош а хӀаллакьхир ду. Дуккха а даккхий цӀенош, хӀаллак а хилла, дӀадевр ду», — боху Везачу Эло.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">ЛадогӀа кху даше, Шамранан лам тӀехь долу Башанан хьийкъина шинарш санна болу зударий. Шу гӀийлачарна ницкъбийраш а, мисканаш Ӏазапехь латтош берш а, шайн хӀусамдайшка: «Схьада чагӀар, оха мер ду!» — бохурш ду.</verse>
				<verse number="2">Шен возаллица чӀагӀо йора Хьалдолчу Эло: «Шу коьжалгашца, ткъа шун биснарш мӀерашца текхор болу денош шуна тӀедогӀур ду», — бохуш.</verse>
				<verse number="3">«Пенах даьккхинчу уллорачу Ӏуьргана тӀе а такхийна, кхиссина арадохуьйтур ду шу, тӀаккха шу Хьармон-лам болчухьа дӀалохкур ду», — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="4">«Дуьйло, къинош летаде, Бетал-гӀаларчу езачу метте дӀа а гӀой. Шайн зуламаш алсамдаха Галгалехь а. Шайн дийнаташ дагоран сагӀанаш даха хӀора Ӏуьйранна, ткъа кхо де мосазза долу, шайн ялтех уьтталгӀа дакъа дӀало.</verse>
				<verse number="5">Исраилхой, баркаллин сагӀина лерина долу совсийна бепиг схьада, дӀакхайкхаде аша шайн лаамца сагӀанаш дохуш хилар, цунах лаьцна, дозалла а деш, дӀасадаржаде, ишттадерг шайна дукхадеза дела», — боху Хьалдолчу Эло.</verse>
				<verse number="6">«Со ма вара шун массо а гӀаланашкахь мацалла ХӀоттийнарг а, шун массо а ярташкахь ялта цатоар ХӀоттийнарг а, делахь а Суна тӀе ца дирзира шу, — боху Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="7">Ас кхаа баттахь, ялта хьокху хан тӀекхаччалц, догӀа ца доуьйтура шуна. Цхьана гӀалахь догӀа доуьйтура Ас, ткъа вукху гӀалахь ца доуьйтура. Цхьа кха дузадора догӀано, ткъа важа, хин тӀадам божаза, дакъалора.</verse>
				<verse number="8">Шина-кхаа гӀалара нах хи малархьама цхьана гӀали чу гуллора, амма шаьш Ӏаббалц ца малалора цаьрга иза. ТӀаккха а тӀе ца дирзи шу Суна», — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="9">«Ас чахчош болу мох боуьйтура шун ялташ тӀе. ЦӀазо йоура шун бошмаш а, кемсийн аренаш а, комарийн а, зайт а дитташ а, делахь а Суна тӀе ца дирзира шу.</verse>
				<verse number="10">Ас шуна Мисар-махкахь хиллачух цамгаран ун тӀедаийтира. Шун кегий нах туьраца хӀаллакбора Ас, дой йийсаре дӀа а лохкуш, шун меттаметтанашкара боьха хьожа шун мерӀуьргашка еттайолуьйтура. ТӀаккха а Суна тӀе ца дирзира шу», — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="11">«Ас шуна юкъахь бохамаш бора, Седам-гӀала а, Ӏамор-гӀала а йохош Айса бина бохамаш санна. Ткъа шух биснарш, цӀергара схьадаьхна хьокхий санна, бара. ТӀаккха а Суна тӀе ца дирзира шу, — боху Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="12">Цундела Ас иштта дийр ду шуна, исраилхой. Аса иза иштта дийр долу дела, кечло, исраилхой, шайн Далла дуьхьалдаха!»</verse>
				<verse number="13">Дала лаьмнаш а кхуллу, мох а болуьйту, адамна Шен ойла дӀа а хоуьйту, Ӏуьйренан серлонах бода а хуьлуьйту. Цо лакхара дерриге а лаьттана куьйгалла до. Цуьнан цӀе ю — массо а ницкъийн Веза Дела.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">ЛадогӀа, исраилхой, Ас хьох лаьцна белхар доккхур долчу кху даше.</verse>
				<verse number="2">Охьа а доьжна, кхин хьала ца айалуш Ӏуьллу йоӀстаг санна долу Исраилан халкъ! Шен мехкан лаьтта тӀехь даржийна долу иза, вац-кх хьалаайа цхьа а.</verse>
				<verse number="3">ХӀунда аьлча Хьалдолчу Эло иштта боху: «Исраил-махкахь эзар тӀемалочуьнца дуьхьалъяьллачу гӀалин оцу тӀемалойх бӀе бен вуьсур вац, ткъа бӀе тӀемалочуьнца дуьхьалъяьлларг иттанца юьсур ю».</verse>
				<verse number="4">ХӀунда аьлча Везачу Эло иштта боху Исраилан цӀийне: «Со лехалаш — дийна дуьсур ду шу.</verse>
				<verse number="5">Бетал-гӀалахь Со ма лехалаш, Галгал-гӀала ма гӀолаш, Беар-ШабаӀе ма кхачалаш, хӀунда аьлча Галгал-гӀала йийсаре гӀур ю, ткъа Бетал-гӀала хӀумма а йоцург хилла дӀахӀуттур ю».</verse>
				<verse number="6">Лехалаш Веза Эла — дийна дуьсур ду шу. ЦӀеран алу санна, Иза Юсупан цӀенна тӀе ма кховдийта. Оцу цӀеро иза хӀаллакдийр ду. Бетал-гӀалахь цхьа а хир вац и цӀе дӀаяйа.</verse>
				<verse number="7">Нийсонах дӀовш деш долу а, бакъдерг лаьтта кхуссуш долу а, хӀай адамаш!</verse>
				<verse number="8">Хьан кхоьллина ВорхӀ Седа а, Орион а? Хьан еш ю Ӏожаллин ӀиндагӀах сирла Ӏуьйре, ткъа дийнах Ӏаьржа буьйса? Хьан тӀегулдо хӀордан хиш? Уьш лаьтта тӀехула Хьан дӀасадаржадо? Цуьнан цӀе — Веза Эла ю!</verse>
				<verse number="9">Цо онданиг хӀаллак а во, цуьнан гӀап йоха а йо.</verse>
				<verse number="10">Шуна ца веза кхел ечохь харцо гучуйоккхуш верг, бакъдерг дуьйцучух а шу ца деша.</verse>
				<verse number="11">Иштта аша мисканиг охьа а теӀош, цуьнгара ялтица совгӀаташ а дохуш, шайна хьаькхначу тӀулгех цӀенош дийр ду, амма царна чохь дехар дац шу. Кемсийн бошмаш кхиор ю аша, амма царах даьлла чагӀар мер дац,</verse>
				<verse number="12">хӀунда аьлча Суна хууш ду аша мел дукха зуламаш дина, мел деза ду шун къинош. Шу бакъволчун мостагӀий ду. Кхаьънаш а ийдеш, мискачеран гӀуллакхаш галдоху аша кхел ечохь.</verse>
				<verse number="13">Цундела вист ма ца хуьлу цу хенахь кхетаме верг, хӀунда аьлча и зама луьра ю.</verse>
				<verse number="14">Дика леха, вон а ца лоьхуш, шаьш дийна дисийтархьама. ТӀаккха массо а ницкъийн Веза Дела, аша ма-бохху, шуьца хир ву.</verse>
				<verse number="15">Вон а ца дезаш, дика дезийша, меттахӀоттадейша дов хаттар. ТӀаккха къинхетам бан мега массо а ницкъийн Везачу Дала Юсупан цӀийнах бисинчех.</verse>
				<verse number="16">Цундела иштта боху Везачу Эло, массо а ницкъийн Везачу Дала: «Массо а урамашкахь белхар хир ду. Массо а некъашкахь мохь хьоькхур бу: „Маржа-яӀ! Маржа-яӀ!“ — бохуш. Латталелорхо латкъам бан, ткъа тийжаме назманаш ала говзанаш белха а тӀекхойкхур бу.</verse>
				<verse number="17">Кемсийн бошмашкахь а хир ду белхар, хӀунда аьлча Со халкъана юккъехула чекхвер ву, шуна таӀзар дархьама», — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="18">Декъаза бу Везачу Элан де тӀекхача луурш. Стенна оьшу шуна и де? Иза-м бода бай, серло яций.</verse>
				<verse number="19">Иза, нагахь цхьаъ, лоьмах а ведда, чена тӀе нисвалар, я, шен цӀа а веана, куьйгаца пенна тӀетевжича, лаьхьано къовзор санна ду.</verse>
				<verse number="20">Серло а йоцуш, бода бац ткъа Везачу Элан и де? Ӏаьржа бода бу иза, цуьнца нур лепар дац.</verse>
				<verse number="21">«Суна ца деза, Суна дегаза хета аша даздеш долу денош. Шун динан гуламаш Суна дегаза хета.</verse>
				<verse number="22">Нагахь санна Суна лерина дийнаташ дагоран а, кӀен а сагӀанаш аша дахахь а, Аса тӀеоьцур дац уьш. Со дӀахьожур вац аша шайн дерстинчу даьхних Суна лерина даьккхинчу сагӀане.</verse>
				<verse number="23">Суна генаяккха лоькхучу хьайн эшарийн гӀовгӀа, хӀунда аьлча хьан дечиг-пондарийн аьзнашка Ас ладугӀур дац.</verse>
				<verse number="24">Нийсо, доьду хи санна, дӀагӀойла, ткъа бакъдерг — лекъар доцу татол санна!</verse>
				<verse number="25">Исраилан халкъ! Шовзткъа шарахь яьссачу арахь Суна тешаме хилар гайтархьама, дийнаташ дагоран а, кӀен а сагӀанаш даха ма ца дийзира хьан!</verse>
				<verse number="26">Шайн паччахь-делан Сакутан а, шайн седа-делан Кайвулин шайн куьйгашца дина долу суьрташ хӀетахь а леладора те аша? Ткъа хӀинца аша уьш лела ма бо!</verse>
				<verse number="27">Аша иза дарна, шу махках а даьхна, Дамасакхана дехьа дохур ду Ас», — боху Везачу Эло. Цуьнан цӀе — массо а ницкъийн Веза Дела ю.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="6">
				<verse number="1">Декъаза бу Цийон-лома тӀехь гӀайгӀане а боцуш Ӏаш берш, Шамранан ломахь шаьш маьрша хеташ берш, хьалхе йоккхучу халкъан цӀе яххана берш, шайна тӀе Исраилан цӀа тӀедогӀуш болу.</verse>
				<verse number="2">Даха а гӀой, Хална-гӀалане хьовса, цигара сийлахьчу Хьамат-гӀала дӀагӀо. ПӀелаштамхойн Гати-гӀала охьадисса. Аша боху: «Церан ницкъе хьаьжжина, царах цхьа а ЯхӀудан а, Исраилан а пачхьалкхе ма ца кхочу!» Церан мохк боккха бац шун чул?</verse>
				<verse number="3">Бала тӀебогӀу де геннахь а хеташ, Ӏазап толар гергадаладо аша.</verse>
				<verse number="4">Пийлан кӀомсарех бинчу маьнгеш тӀехь Ӏохку шу, дегӀана там лоьху аш кечдинчу меттанашкахь. Дикачу дежийлашкара шайн бежанашна юкъара тоьлла долу кой а, эсий а доу аша.</verse>
				<verse number="5">Дечиг-пондарийн аьзнашца мукъамаш балабо аша. Шуна хета, шайн а, Даудан санна, эшарийн гӀирсаш лело говзалла ю.</verse>
				<verse number="6">Кедаш чуьра чагӀар муьйлу аша, уггар а дикачех хьакхарш хьоькху, амма Юсупан цӀенна хин болчу бохамех доьлхуш дац шу!</verse>
				<verse number="7">Цундела хӀинца шу, йийсархошна хьалха а девлла, йийсаре гӀур ду, чекхдер ду шун тойнаш хӀиттор а, сакъерар а.</verse>
				<verse number="8">Ша-шех чӀагӀо йо Хьалдолчу Эло, массо а ницкъийн Везачу Дала иштта боху: «Суна ца еза Якъубан куралла, Со ца веша цуьнан исбаьхьачу гӀишлойх, Ас гӀала а, гӀалахь мел дерг а дӀалур ду мостагӀашна».</verse>
				<verse number="9">Иштта хир ду: нагахь санна цхьана цӀа чохь итт стаг висахь а, уьш массо а хӀаллакьхир ву.</verse>
				<verse number="10">ТӀаккха церан гергарчо я уьш багош волчо схьаоьцур бу уьш, церан декъий цӀа чуьра арадахархьама. ЦӀа чохь висначуьнга хоттур ду цо: «Кхин цхьа а висний хьоьца?» Вукхо жоп лур ду: «Цхьа а ца висна». ХӀокхо эр ду: «ГӀовгӀа ма е! Везачу Элан цӀе яккха мегар дац».</verse>
				<verse number="11">ХӀунда аьлча Везачу Эло, омра а дина, даккхий а, кегий а цӀенош хӀаллакдийр ду, царах аьхгаш а еш.</verse>
				<verse number="12">Говраш тархашна тӀехула евдда лелий те? Стерчашца хӀордана тӀехь охана далур дуй те? Аша-м нийсонах дӀовш а дина, бакъдолчух стим а бина.</verse>
				<verse number="13">Шаьш Ладебар-гӀала схьаяьккхина бохуш, дозалла деш ду шу. «Тхайн ницкъаца дӀа ца лаьцна оха Кхарнайм-гӀала?» — боху аша.</verse>
				<verse number="14">«Ткъа хӀинца, Исраилан цӀа, Ас халкъ дуьхьалдоккхур ду хьуна. Къилбаседера Хьамат-Ӏин долчуьра къилбера Ӏариба-тогӀин хина тӀекхаччалц дӀалохкур ду шу», — боху массо а ницкъийн Везачу Дала.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="7">
				<verse number="1">Цкъа сан Хьалдолчу Эло, хаам беш, иштта сурт гайтира суна. Дала цӀоз кхоьллира тӀаьххьара буц хьалайолучу хенахь. И дара, цани тӀера паччахьан декъана мангал хьаькхначул тӀаьхьа, керла буц хьалайолуш.</verse>
				<verse number="2">ЦӀазо буц дӀайиъна яьлча, ас элира: «Сан Хьалдолу Эла! Къинхетам бехьа! Якъубах схьадаьлла Хьан халкъ дийна муха дуьсур ду? Иза чӀогӀа жима ду-кх».</verse>
				<verse number="3">Везачу Элана къахийтира цунах. «Иза хир дац», — элира Везачу Эло.</verse>
				<verse number="4">Сан Хьалдолчу Эло, хаам беш, иштта сурт гайтира суна: Везачу Эло кхел ян цӀе кхоьллира. Оцу цӀеро лаьттана бухахь болу боккха хӀорд а бакъийра, ткъа кхаш дӀа а кхаьллира.</verse>
				<verse number="5">Ас тӀаккха элира: «Сан Хьалдолу Эла! Къинхетам бехьа! Якъубах схьадаьлла Хьан халкъ дийна муха дуьсур ду? Иза чӀогӀа жима ду-кх».</verse>
				<verse number="6">Везачу Элана къахийтира цунах. «Иза хир дац», — элира сан Хьалдолчу Эло.</verse>
				<verse number="7">Цо, хаам беш, иштта сурт гайтира суна: Веза Эла пенна уллохь лаьтташ вара, ткъа Цуьнан карахь санисбийриг яра.</verse>
				<verse number="8">Везачу Эло соьга хаьттира: «Ӏамос, хьуна хӀун го?» «Санисбийриг го», — жоп делира ас. ТӀаккха Везачу Эло элира: «Ас хӀинца Сайн Исраилан халкъана юккъе санисбийриг охьаюьллур ю. Ас цунна кхин гечдийр дац.</verse>
				<verse number="9">Яссийна хир ю Исхьакхан тӀаьхьенийн сагӀанаш доху лакхенаш. Исраил-мехкан еза меттигаш а йохийна хир ю. ЯрбаӀам-паччахьан цӀенна а Со туьраца дуьхьалвер ву».</verse>
				<verse number="10">Бетал-гӀалин динан да волчу Амци-ЯхӀус исраилхойн паччахьна ЯрбаӀамна тӀе нах бахийтира хӀара дӀаала: «Исраилхошна юкъахь а волуш, Ӏамос, барт а бина, хьуна дуьхьалволуш ву. Лаьтте а ца лало цо мел дуьйцург.</verse>
				<verse number="11">ХӀунда аьлча Ӏамоса иштта боху: „ЯрбаӀам туьрах хӀаллакьхир ву, ткъа исраилхой, шайн лаьтта тӀера схьа а баьхна, йийсаре буьгур бу“».</verse>
				<verse number="12">Амци-ЯхӀус иштта элира Ӏамосе: «Хиндерг хууш верг! Вало, ЯхӀуд-махка дӀа а гӀой, цигахь бепиг даа хьайна алапа эца, цигахь, пайхамаро санна, хаамаш а бе.</verse>
				<verse number="13">Ткъа Бетал-гӀалахь пайхамаралла кхин ма де, хӀунда аьлча иза паччахьо Ӏибадат деш йолу меттиг а ю, пачхьалкхан Деза цӀа а ду».</verse>
				<verse number="14">Ӏамоса Амци-ЯхӀуна жоп делира: «Со пайхамар а вац, я шайна алапа оьцучу пайхамарийн тобана юкъавогӀуш а вац. Со жаӀу вара, цул сов, ас инжиран дитташ а Ӏалашдора.</verse>
				<verse number="15">Амма Везачу Эло уьстагӀий долчуьра схьаваьккхира со. Цо соьга иштта элира: „Вало, Сан халкъана, исраилхошна, Соьгара болу хаамаш бан гӀо“.</verse>
				<verse number="16">ЛадогӀа хӀинца Везачу Элан даше. Ахь боху: „Исраилан халкъе Делера болу хаамаш ма бе. Исхьакхан тӀаьхьенашна дуьхьал цхьа а вон дош ма ала“.</verse>
				<verse number="17">Ахьа иштта аларна, Везачу Эло хӀара боху: „Хьан зуда гӀалахь, кхахьпа а дина, лелор ю. Хьан кӀентий а, йоӀарий а туьро хӀаллакбийр бу. Хьан латта, асанаш йохучу муьшца декъа а декъна, кхечарна дӀалур ду. Хьо хийрачу махкахь лийр ву, ткъа Исраилан халкъ, шен махкара ара а даьккхина, йийсаре дуьгур ду“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="8">
				<verse number="1">Сан Хьалдолчу Эло, хаам беш, иштта сурт гайтира суна: лаьтташ стоьмаш чохь болу тускар дара.</verse>
				<verse number="2">Цо хаьттира: «Ӏамос, хьуна хӀун го?» Ас жоп делира: «Аьхкенан чаккхенгахь кхиъна болчу стоьмийн тускар го суна», — аьлла. ТӀаккха Везачу Эло соьга элира: «Сан халкъан, исраилхойн, чаккхе тӀекхаьчна. Ас цунна кхин гечдийр дац.</verse>
				<verse number="3">Цу дийнахь паччахьан цӀа чуьра эшарш белхаре йоьрзур ю, — боху Хьалдолчу Эло. — Дукха декъий хир ду. Уьш тийналлехь миччахьа а дӀакхуьссур ду».</verse>
				<verse number="4">ЛадогӀа кху дешнашка, мисканаш дӀакхалла а, къенаш хӀаллакбан а хьаьгна долчу а,</verse>
				<verse number="5">иштта дешнаш бохуш долчу а аша: «Керла бутт а, цкъа мацца байна а, дӀабовр бу, вайна ялта дӀадохка меттиг ялийтархьама. Далла лерина шоьтан де а дӀадер ду, вайга чӀоьнаш дӀаеллийтархьама, барам лахбалийтархьама, шекхалан мах хьалабаккхархьама, нийса доцучу терзанца нах лебархьама.</verse>
				<verse number="6">Иза хир ду хьал доцурш детих эца а, мисканаш шина мачех хийца а, дӀаден мегаш доцу хӀу дохка а».</verse>
				<verse number="7">Исраилан халкъах дозалла дечу Везачу Эло чӀагӀо йора: «Билггала цкъа а церан гӀуллакхех цхьа а дицдийр дац Аса!</verse>
				<verse number="8">Дегор-м дац те и бахьана долуш латта? Лаьтта тӀехь вехаш волу хӀора а воьлхур-м вац те? Дерриге а, доьду хи санна, тохалур ду. Мисар-махкара хи санна, лакхадолуш а, лахлуш а хир ду иза.</verse>
				<verse number="9">Оцу дийнахь иштта хир ду, — боху сан Хьалдолчу Эло — дийнан делкъехь Ас малх дӀахьулбийр бу, сирла де юккъе дахча, лаьтта тӀе бода боссор бу.</verse>
				<verse number="10">Шун деза денош гӀайгӀане дийр ду Ас, аша локху массо а эшар, белхар а дина, дӀахӀоттор ю. Массарна а сингаттаман духар тӀедухур ду, хӀораннан а корта баьшна хуьлуьйтур бу. Махкахь белхар доккхур ду, цхьаъ бен воцучу кӀантана деш долу белхар санна, цуьнан чаккхе къаьхьа де санна хир ю.</verse>
				<verse number="11">Денош тӀедогӀур ду, — боху сан Хьалдолчу Эло, — Ас лаьтта тӀехь мацалла хуьлуьйтур йолу. Иза бепиг доцу мацалла а хир яц, хи доцу хьогалла а хир яц. Иза Везачу Элан дош хазаре сатуьйсу хьогалла хир ю.</verse>
				<verse number="12">Уьш, Везачу Элан дош лоьхуш, Дуьрачу хӀорда тӀера Дуьненаюккъерчу хӀорда тӀе а, къилбаседера малхбале а лелар бу, амма иза карор дац.</verse>
				<verse number="13">Оцу дийнахь хаза мехкарий а, кегийрхой а хьагбаларна гӀора дайна хир бу.</verse>
				<verse number="14">Цара Шамранан цӀуйх дуйнаш боу: „Дийна волчу Данан делах дуй боу!“ я „Беар-ШабаӀан делах дуй боу!“ — олий. И чӀагӀонаш еш берш охьаоьгур бу, кхин хьала а гӀовттур бац».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="9">
				<verse number="1">Веза Эла сагӀа доккхучу кхерчана уллохь гира суна. Цо элира: «Делан цӀенна хӀиттийначу бӀогӀамашна тӀе, баххаш ластийттал, хӀума тоха. И бӀогӀамаш массеран а кортош тӀе эгаде. Ткъа царах биснарш Ас туьраца хӀаллакбийр бу. Царах цхьа а дӀа а вадалур вац, цхьа а кӀелхьар а валалур вац.</verse>
				<verse number="2">Уьш, эхарта кхаччалц, лаьттах чубахнехь а, цигара а Сан куьйго схьабохур бу. Уьш, тийсалуш, стигала хьалабевллехь а, цигара а чукхуьссур бу Ас.</verse>
				<verse number="3">Кармал-ломан боххьехь къайлабевлча а, цигахь а, схьа а карийна, схьалоьцур бу Ас уьш. Сан бӀаьргашна хьалхара дӀабевлла, хӀордан бухахь уьш дӀаловчкъахь а, цигахь а Ас хӀордан лаьхьане омра дийр ду, уьш лаца аьлла.</verse>
				<verse number="4">Нагахь санна, шайн мостагӀашна хьалха а бевлла, уьш йийсаре гӀахь а, цигахь а Ас туьре омра дийр ду, уьш байа аьлла. Ас Сайн бӀаьргаш, царна диканна а ца хьажош, бохам бан тӀехьажор бу».</verse>
				<verse number="5">ХӀунда аьлча массо а ницкъийн Хьалдолу Эла лаьттах хьакхало, тӀаккха латта дӀасадекъало. Лаьтта тӀехь вехаш мел верг воьлху. Дерриг а латта, Мисар-махкара Нил-хи санна, лакха а долу, юха лах а ло.</verse>
				<verse number="6">Дала Шена лерина хӀусамаш стигалшкахь йина, ткъа Шен стигалан нартол лаьтта тӀехь дӀахӀоттийна. Цо хӀордан хиш схьа а гулдо, уьш лаьтта тӀехула дӀа а Ӏанадо. Цуьнан цӀе — Веза Эла ю!</verse>
				<verse number="7">«Шу а, исраилхой, хушахой санна дац ткъа Суна? Со вац ткъа исраилхой Мисар-махкара, пӀелаштамхой Крит-гӀайре тӀера, арамхой Кхирера арабаьхнарг?» — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="8">«Хьалдолчу Элан бӀаьргаш къинош летийначу пачхьалкхана тӀехьажийна бу. Ас, хӀаллак а йина, лаьтта тӀера тӀепаза йойур ю иза. Амма Якъубан цӀа Ас кхоччуш хӀаллакдийр дац, — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="9">— Ас, омра а дина, Исраилан халкъ массо а халкъашна юкъахь дӀасадаржор ду, цецана чу дожош долу буьртигаш санна, амма царах цхьа а вониг лаьтта ца бужу.</verse>
				<verse number="10">Сан халкъана юкъара къинош летийнарш берриге а туьрах хӀаллакьхир бу, цара бахахь а: „И бохам тхох хьакха а лур бац, тхуна тӀе а богӀур бац“».</verse>
				<verse number="11">«Охьадоьжна четар санна йолу Даудан пачхьалкх юхаметтахӀоттор ю Ас оцу дийнахь. Цуьнан йохийна а, лилхина а меттигаш, дӀа а къевлина, ширачу заманахь ма-хиллара, дӀахӀоттор ду иза.</verse>
				<verse number="12">Иза Эдомах диснарг а, Сан долахь хилла массо къаьмнаш а церан карадахийтархьама дийр ду Ас», — боху хӀара дерриге а деш волчу Везачу Эло.</verse>
				<verse number="13">«ТӀекхочур ду, — боху Везачу Эло, — охуш волчунна — оруш верг гун волу а, ткъа кемсаш хьуьйш верг уьш дӀаюьйш волчунна тӀаьхьа кхуьур воцу а токхе денош. Кемсийн мутта лаьмнех охьаӀийдалур ду, массо а баьрзнех схьаоьхур ду иза.</verse>
				<verse number="14">Ас Сайн халкъ йийсарера шен лаьтта тӀе юхадерзор ду. Яссийначу гӀаланашкахь гӀишлош а йина, царна чохь баха охьаховшор бу уьш. Кемсийн бошмаш а йоьгӀна, царах даьккхина мутта а муьйлур ду, бошмаш а кхиийна, царах бевлла стоьмаш а буур бу цара.</verse>
				<verse number="15">Ас шайн лаьтта тӀе охьаховшор бу исраилхой. Уьш кхин Ас царна деллачу лаьтта тӀера лелхийна лелор бац», — боху хьан Везачу Дала.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="31">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">Ӏабди-ЯхӀу-пайхамарна сурт хӀоттар. Хьалдолчу Эло иштта бохура Эдоман халкъах лаьцна. Везачу Эло хӀара хаам бира тхоьга, тӀаккха оха геланча вахийтира, и хаам халкъашна дӀахазийра: «ХьалагӀовтта, Эдомана дуьхьал тӀом бийр бу вай!» — аьлла.</verse>
				<verse number="2">«Ас къаьмнашна юкъахь жиманиг дийр ду хьох, цундела хьо лорур дац цара.</verse>
				<verse number="3">Хьо хьайн деган куралло Ӏехийна. Хьо дехаш ду лекхачу меттехь, тархийн хераллашкахь. Ахьа хьайн дагахь боху: „Мила вара со лаьтта доссо?“</verse>
				<verse number="4">Нагахь, аьрзу санна, лакха хьала а даьлла, седарчашна юкъахь ахь хьайна бен бича а, Ас хьо цигара а охьакхуссур ду», — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="5">«Къуй-м бацара те хьуна баьхкинарш? Буьйсанна лела талорхой-м бацара те хьуна иштта бохам бинарш? Цара-м шайна оьшшучул бен хӀума дӀахьур яцара. Нагахь шу долчу кемсаш лечкъош берш къайлаха чубаьхкича, цара а буьтур бацара ткъа кемсийн масех буьртиг?</verse>
				<verse number="6">Ма, чӀим санна, цӀанвина Ӏесав! Къайлаха мел ерг а ма гучуяьккхина цуьнан!</verse>
				<verse number="7">Шу шайн бартхоша дозанан йисте кхаччалц дӀалохкур ду. Шуьца бертахь бехачара, шу ле а дина, эшор ду. Шуьца цхьаьна шуьне ховшучара шу Ӏовжор ду. Цара эр ду шух лаьцна: „Мичахь ду церан дерриг а хьекъал?“»</verse>
				<verse number="8">«Цхьана дийнахь Ас таӀзар дийр ду Эдомна. Церан хьекъале нах хӀаллак а бийр бу, церан хьекъалалла дӀа а доккхур ду Ас, — боху Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="9">Хьан тӀемалой, Теман-гӀала, кхерабелла хир бу, ткъа Ӏесаван лам тӀехь берш хӀаллакбийр бу».</verse>
				<verse number="10">«Аша шайн вешина Якъубана гӀело ярна, шуна тӀе эхь дуссур ду, шу гуттаренна а хӀаллакьхир ду.</verse>
				<verse number="11">Церан хьал хийрачу наха дӀахьочу дийнахь, кхечу къаьмнаша, церан кевнехула чу а девлла, Ярушалаймах кхаж тосучу хенахь, шу, царах долуш санна, юьстаха лаьттара.</verse>
				<verse number="12">Шу хьогӀаца хьежа ца дезара шайн вежарийн дийне, церан аьтто боьхначу дийне. Шу даккхийден ца дезара яхӀудхой хӀаллакьхуьлучу дийнахь, аша дозаллаш дан ца дезара церан бохаман дийнахь.</verse>
				<verse number="13">Шу чудовла ца дезара Сан халкъан кевнехула цуьнан ирс дайначу дийнахь. Ур-атталла хьежа гӀуллакх а дацара цуьнга цу дийнахь. Аша цуьнан бахамна тӀе куьг кховдо ца дезара цунна бохам хиллачу дийнахь.</verse>
				<verse number="14">Шу некъаш галморзаха довлучу меттехь латта ца дезара цуьнан бевддарш хӀаллакбархьама, дийна биснарш дӀабала а ца безара аша оцу баланечу дийнахь.</verse>
				<verse number="15">Массо а халкъашна гергадеана Везачу Элан къематде. Аша диннарг шуна а дийр ду. Хьакъ мел дерг шун кортош тӀе доьрзур ду.</verse>
				<verse number="16">ХӀунда аьлча Сан безачу лам тӀехь аша маларш мийларе терра, кхечу къаьмнаша а муьйлур ду уьш массо а хенахь. Цара кхаьллина дӀадоккхур ду, тӀаккха, цкъа а ца хилча санна, дӀа а девр ду уьш.</verse>
				<verse number="17">Ткъа кӀелхьардовлар Цийон-лам тӀехь хир ду. И лам, еза меттиг а хилла, дӀахӀуттур бу. Якъубан цӀийно шена бакъонца догӀуш долу латта тӀаьхьалонна доладоккхур ду.</verse>
				<verse number="18">Якъубан цӀийнах цӀе хир ю, Юсупан цӀийнах цӀеран алу хир ю, ткъа Ӏесаван цӀийнах ча хир ду. И ча дагор ду. ТӀаккха цхьа а дийна вуьсур вац Ӏесаван цӀийнах». Иштта боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="19">«Ӏесаван лам къилберачу яхӀудхоша дӀалоцур бу, ткъа акъарешна чуьра болчара пӀелаштамхой кара а берзор бу, Эпраймера а, Шамранера а аренаш дӀа а лоцур ю. Бен-Яманан тӀаьхьено ГалӀад-мохк схьабоккхур бу.</verse>
				<verse number="20">Исраил-мехкан къилбаседерчу агӀонера махкахбаьхначеран эскаро, юха а деана, КанаӀанан латта Сарпат-гӀалина тӀекхаччалц дӀалоцур ду, ткъа Ярушалаймера ара а баьхна, Сапрад цӀе йолчу меттигехь баха ховшийначара ЯхӀуд-мехкан къилбера гӀаланаш схьайохур ю.</verse>
				<verse number="21">КӀелхьардаха богӀуш берш Цийон-лам тӀе богӀур бу Ӏесаван ломана тӀехь олалла дан. ТӀаккха Везачу Эло Ша паччахьалла дийр ду».</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="32">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">Аматин кӀанте Юнусе Везачу Элера хаам хилира:</verse>
				<verse number="2">«Хьала а гӀаттий, йоккхачу Нунав-гӀала гӀо! Цигахь лелачу зуламечу гӀуллакхех лаьцна хаам кхаьчна сан лерге. Нунав-гӀалара бахархошна дуьхьал болу хьехамаш бе».</verse>
				<verse number="3">Юнус ваха новкъавелира. Амма иза Таршаш-гӀалахьа дӀаволавелира, Везачу Элах дӀавадархьама. ХӀордан йистехь йолчу Яппи-гӀала а кхаьчна, Таршаш-гӀала доьду хинкема карийра цунна. Мах а белла, оцу хинкеманна тӀе велира иза, Везачу Элан юьхь-дуьхьлара дӀавадархьама.</verse>
				<verse number="4">Амма Дала, хӀорда тӀехь чӀогӀа мох а балийтина, хӀорд ловзабаьккхира. Хинкема дохха доллуш дара.</verse>
				<verse number="5">Кхерабелла, массо кемалелорхой маьхьарий хьоькхуш бара, хӀораммо а шен-шен деланашка а кхойкхуш. Хинкеманан чуьра кира хӀорда чу кхоьссира цара, кема дайдалийтархьама. Ткъа Юнус, кеманан лаха чу а воьссина, чӀогӀа наб кхетта вижина Ӏаш вара.</verse>
				<verse number="6">ТӀаккха цунна тӀевеара хинкеманан коьрта хьаькам. «Вижина хӀунда Ӏа хьо? ХьалагӀатта, хьайн Деле кхайкха! Хьан Далла дага а даьхкина, вай хӀаллак ца хуьлуш дуьсур дац-те?» — элира цо.</verse>
				<verse number="7">Юххехь болчара барт бира: «Дуьйло, вай кхаж тосур бу, вайна тӀе хӀара бала балийнарг мила ву хаархьама», — аьлла. Цара кхаж тесира. Юнусана белира и кхаж.</verse>
				<verse number="8">ТӀаккха хаьттира хӀордахоша Юнусе: «Дийцахь, хьенан бехк болуш беана вайна тӀе хӀара беза бала? Хьо хӀун лелош ву? Стенгара вогӀу хьо? Мичахь бу хьан мохк? Муьлхачу къомах ву хьо?» — бохуш.</verse>
				<verse number="9">«Со Ӏебархо ву. Со латта а, хӀорд а кхоьллина волу Веза Эла, стигалара Дела, лоруш ву», — аьлла, жоп делира цаьрга Юнуса.</verse>
				<verse number="10">Ӏаламат чӀогӀа кхерабелира нах, хӀунда аьлча Юнуса ша Далла дуьхьалара къайлаваларан бахьана ма-дарра дийцинера цаьрга. Наха бохура цуьнга: «ХӀунда дина-те ахьа иза?»</verse>
				<verse number="11">Юха а хаьттира цара Юнусе: «ХӀун дан деза оха хӀорд дӀатейтархьама?» — хӀунда аьлча хӀорд карзахбаьллачуьра соцуш бацара.</verse>
				<verse number="12">Юнуса элира цаьрга: «Со, схьа а лаций, хӀорда чу кхосса, тӀаккха хӀорд дӀатуьйр бу шуна. Суна хаьа, со бахьана долуш тӀебеаний шуна хӀара беза бала».</verse>
				<verse number="13">Ткъа хӀара нах, шайгахь ницкъ мел бу гӀоьртина, пийсакаш хьекха буьйлабелира, лаьтта тӀе кхачархьама. Амма цунах гӀуллакх ца хилира, хӀунда аьлча хӀорд, карзахбаьллачуьра ца соцуш, кхин а чӀогӀа адамашна дуьхьалбаьллера.</verse>
				<verse number="14">ТӀаккха кхайкхира уьш Везачу Эле: «Доьху Хьоьга, Веза Эла, ма дехьа тхо хӀаллак хӀокху стеган са бахьана долуш. Нагахь санна хӀара стаг бехке вацахь, цуьнан цӀий тхох ма хьарчадехьа, хӀунда аьлча Ахьа, Веза Эла, Хьайна лиънарг дина дела», — бохуш.</verse>
				<verse number="15">ТӀаккха цара Юнус, схьа а лаьцна, хӀорда чу кхоьссира. ХӀорд карзахбаьллачуьра дӀатийра.</verse>
				<verse number="16">Ӏаламат чӀогӀа кхерабелира нах Везачу Элах. Цара сагӀа а даьккхира, нигаташ а дира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Везачу Эло цхьана боккхачу чӀере, Юнус дӀакхалла аьлла, омра дира. Кхо де-буьйса даьккхира Юнуса оцу чӀеран гай чохь.</verse>
				<verse number="2">Ша чӀеран гай чохь воллуш, Юнуса доӀанца дийхира шен Везачу Деле.</verse>
				<verse number="3">Цо элира: «Со гӀайгӀанехь волуш Везачу Эле кхайкхира ас, тӀаккха Везачу Дала суна жоп делира. Эхартара цӀогӀа туьйхира ас, тӀаккха хезира Хьуна, Дела, сан аз.</verse>
				<verse number="4">ХӀордан кӀоргене, хӀордан даг чу кхоьссина Ахьа со. Хин Ӏовраша го бина суна. Хьан массо тулгӀенаш, со керчош, тӀехула евлла суна.</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха элира ас: „Хьайн бӀаьргашна хьалхара дӀаваьккхина Ахь со, амма суна юха а гур ду Хьан Деза ЦӀа“.</verse>
				<verse number="6">Бух боцучу хӀордо къевлина со, сан син тӀе а кхаьчна, дӀалаьцна со хино. Сан коьртах хӀордан бецаш хьаьрчина.</verse>
				<verse number="7">Лаьмнийн буха кхаччалц охьавеана со. Гуттаренна а шен гӀораш а доьхкина, лаьтто дӀакъевлина со. Амма Ахьа, Сан Веза Дела, хьалаваьккхира со бух боцучу Ӏин чуьра.</verse>
				<verse number="8">Кхин сайн тоха са ца хилча, суна дагавеана Хьо, Веза Эла, тӀаккха Хьан Дезачу ЦӀа чохь волчу Хьоьга дӀакхаьчна сан доӀанаш.</verse>
				<verse number="9">Эрна а, харц а деланаш лоруш берш шаьш даим дезаш волчу Делах дӀакъаьстина.</verse>
				<verse number="10">Амма сайна тӀера сагӀа сайн озаца хастам беш доккхур ду ас. Сайн нигат а кхочушдийр ду ас. Везачу Элан карахь ду кӀелхьарвалар!»</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха Дала шега аьлча, боккхачу чӀеро Юнус лаьтта тӀе кхоьссира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">Везачу Элера шозлагӀа а хаам хилира Юнусе:</verse>
				<verse number="2">«Вало, гӀо Нунав-гӀала! Цигахь, оцу йоккхачу гӀалахь, бахархошка кхайкхаде Ас хьайга бохург».</verse>
				<verse number="3">Дала ма-бохху, Нунав-гӀала вахара Юнус. Далла гергахь еза шахьар яра и Нунав-гӀала. Кхаа дийнахь некъ баллал йоккха яра иза.</verse>
				<verse number="4">ТӀаккха хьалхарчу дийнахь некъ мел бало, кхайкхам беш волавелла вахара Юнус: «Кхин шовзткъа де даьлча, юхур йолуш ю Нунав-гӀала!» — бохуш.</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха тийшира Делах Нунав-гӀалин бахархой. Цара кхайкхийра марха кхабар. Воккхачо а, жимачо а вон тӀедеача юхуш йолу бедарш тӀеюьйхира.</verse>
				<verse number="6">Нунавара паччахье а кхечира гӀаланах лаьцна беш болу хаам. ТӀаккха и паччахь, шен гӀанта тӀера хьала а гӀаьттина, шен паччахьан духар дӀа а даьккхина, кхин, вон тӀедеача юхуш йолу, бедарш тӀе а юьйхина, чим тӀе охьахиира.</verse>
				<verse number="7">ТӀаккха цо Нунав-гӀалахь омра дира: «Паччахьан а, цуьнан гонахара куьйгалхойн а сацам иштта бу: адамаша а, хьайбанаша а, стерчаша а, уьстагӀаша а хӀумма а ма яа, цхьа а беже ма гӀо, цхьаммо а хи ма мала», — аьлла.</verse>
				<verse number="8">«Массо адамаша вон тӀедеача юхуш йолу бедарш тӀеюха. Даьхнина тӀе хӀуманаш таса. Массара а шийлачу маьхьаршца Деле а кхайкха. ХӀораммо Далла тӀеверзархьама, шен зуламе некъ а бита, шайн куьйгашца кхечарна гӀело а ма е», — аьлла.</verse>
				<verse number="9">«Хьанна хаьа, Дела, юха а ваьлла, вайгахьа верзахь а, Шен нуьцкъала оьгӀазло вайна тӀера дӀа а яьккхина, вай хӀаллак ца деш дита мега Цо».</verse>
				<verse number="10">ТӀаккха гира Далла церан дика ойланаш а, уьш шайн зуламечу новкъара юхабовлар а. ТӀаккха юхавелира Дела Ша царна бийр бу аьллачу бохамна, Цо бан а ца бира царна и бохам.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">Юнусана иза чӀогӀа халахийтира, цундела иза оьгӀазвахара.</verse>
				<verse number="2">ТӀаккха цо доӀанна тӀехь дийхира Везачу Эле: «Ва Веза Эла! И дацара аса со сайн махкахь хиллачу хенахь дийцинарг? Цундела веддерий со-м Таршаш-гӀала, хӀунда аьлча Хьо дика ойла йолуш а, къинхетаме а, Хьо атта оьгӀаз ца воьдуш а, ткъа боккха безам болуш а вуйла сайна хаьа дела. Хьо сиха дохковолуш хуьлу, Хьайна цхьанна бохам бан дагадеача.</verse>
				<verse number="3">Ткъа хӀинца, Веза Эла, дӀаэцахь сан са, хӀунда аьлча суна валар гӀоле ю-кх, вехачул».</verse>
				<verse number="4">ТӀаккха Везачу Эло хаьттира: «Бакъо юй-те хьан оьгӀазваха?»</verse>
				<verse number="5">Цул тӀаьхьа Юнус, гӀалара ара а ваьлла, гӀалин йистехь малхбалехьа йолчу агӀор охьахиира. Цигахь цо шена бун йира. Оцу бун чохь ӀиндагӀе а хиъна, гӀаланах хӀун хуьлу-те бохуш, хьоьжуш Ӏара иза.</verse>
				<verse number="6">ТӀаккха Везачу Дала Юнусана хало ца хилийтархьама а, цуьнан коьрта тӀехула ӀиндагӀ хилийтархьама а, цхьа орамат кхиийра. Иза Юнусал а лакхаяьлла хьалакхиира. Юнусана и орамат чӀогӀа хазъелира.</verse>
				<verse number="7">Цул тӀаьхьа Дала иштта нисдалийтира: шолгӀачу дийнахь сатоссучу хенахь цу ораматан бух нӀаьно, баа а биъна, талхийра. ТӀаккха орамат якъаелира.</verse>
				<verse number="8">Малх кхетча, Дала малхбалехьара чӀогӀа бовха мох балийтира. Малхехь Юнусан корта чӀогӀа батталора. Цуьнан са малделлера, тӀаккха шена валар дийхира цо: «Валар а гӀоле ду-кх, иштта вехачул», — бохуш.</verse>
				<verse number="9">Юха а хаьттира Юнусе Дала: «Бакъо юй хьан иштта оьгӀазваха и орамат якъаялар бахьана долуш?» Юнуса элира: «Ю сан бакъо, со валлал чӀогӀа оьгӀазвахана!»</verse>
				<verse number="10">ТӀаккха элира Везачу Эло: «Хьуна къахетта оцу ораматах, цхьана буса хьала а яьлла, цхьана буссехь хӀаллакьхилла йолчу, айхьа цунна тӀехь къахьегна доццушехь, иза айхьа кхиийна доццушехь.</verse>
				<verse number="11">Муха хетар дац Суна къа, шайн аьтту куьг аьрручух къасто а ца хууш, бӀе ткъа эзар адам а, шортта даьхни а шен чохь долуш йолчу йоккхачу Нунав-гӀаланах?»</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="33">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">ЯхӀуд-мехкан паччахьаша — Йовтама, Ахьаза, Хьузакх-ЯхӀус — паччахьалла дечу хенахь Муршат-юьртара волчу Мика-ЯхӀуга Везачу Элера хаам кхечира. Оцу хаамехь Мика-ЯхӀуна дӀаделладелира Шамран а, Ярушалайм а цӀераш йолчу гӀаланех хиндерг.</verse>
				<verse number="2">ЛадогӀа массо а халкъаша, тергам бе лаьтто а, цунна тӀехь мел долчо а! Шуна дуьхьал теш хуьлийла сан Хьалдолу Эла, Шен дезачу цӀийнера волу Веза Эла!</verse>
				<verse number="3">ХӀунда аьлча Шен езачу меттигера араволуш ву Веза Эла. Охьа а ваьлла, лаьттан лакхенаш хьоьшур ю Цо —</verse>
				<verse number="4">Цунна кӀелахь лаьмнаш дешар ду, цӀергахь лела балоз санна, уьш тогӀеш чу текхар ду, гуна тӀера охьадогӀу хи санна.</verse>
				<verse number="5">Якъубан тӀаьхьенан аьрхалла а, Исраилан халкъо летийна къинош бахьана долуш ду и дерриге а. ХӀун бахьаница ю Якъубан тӀаьхьенан аьрхалла? Шамран-гӀалица йоьзна юй те иза? ХӀун бахьаница бу ЯхӀуд-махкахь цӀушна сагӀа доккху гунаш? Ярушалаймаца доьзна-м дац те иза?</verse>
				<verse number="6">Везачу Эло боху: «Иза бахьана долуш Ас Шамран-гӀаланах саьлнаш йийр ю аренгахь, кемсаш лелон бен пайден хир яц и меттиг. Ас цуьнан тӀулгаш тогӀи чу кхуьссур ду, цуьнан баххаш гучу а дохуш.</verse>
				<verse number="7">Дерриге а цуьнан Ӏамал еш долу суьрташ дохор ду. Сийсаза леларна делла долу совгӀаташ цӀергахь дагор ду. Ас цуьнан массо а цӀуш бохабойтур бу. ЦӀуйн дуьхьа лелаш долчу кхахьпаллина цо совгӀаташ схьаэцарна, кхахьпаллина уьш кхин а дӀалур ду».</verse>
				<verse number="8">Юха Мика-ЯхӀус элира: «Со цунна воьлхур а ву, тийжар а ву, когаш Ӏуьйра а, верзинаваьлла а лелар ву со. Со, чангӀалкх санна, угӀур ву, бухӀа санна, воьлхур ву,</verse>
				<verse number="9">хӀунда аьлча Шамранан чевнаш йоьрзур йолуш яц. Изза ЯхӀуд-махкана а дӀакхаьчна. Ур-атталла сан халкъан кевне, Ярушалайме а, кхаьчна иза».</verse>
				<verse number="10">Иза Гати-гӀалахь дӀа ма кхайкхаделаш, цигахь хозуьйтуш ма делхалаш (Гати — «кхайкхо» бохург ду). Амма Байт-Ӏапру олучу юьртахь шайна тӀе чан тасалаш (Ӏапру — «чан» бохург ду).</verse>
				<verse number="11">Эхь дайна, берзинабевлла болу Шапир-гӀалин бахархой, керлачу метте дӀакхалха. Цаинунехь бехаш берш а дӀабовдалур бац. (Цаинун — «довда» боху маьӀна долуш ду). Байт-Эцал-юьртахь дечу белхаро шу цигахь соцуьйтур дац.</verse>
				<verse number="12">Марут-гӀалин бахархой шайна гӀо даре сатесна бу, хӀунда аьлча Везачу Элера болу бохам Ярушалайман кевне кхаьчна (Марут — цуьнан «къаьхьа» бохург ду).</verse>
				<verse number="13">Лахиш-гӀалин бахархой, чехка говраш дӀайожа гӀудалкхана (Лахиш — цуьнан маьӀна «гӀудалкх» бохург ду). Шу Ярушалайман бахархойн къинойн юьхьиг ю, хӀунда аьлча шуна тӀера дӀадоладелла Исраилан халкъан зуламаш.</verse>
				<verse number="14">Иштта аша Муршат-Гати-гӀала совгӀаташ дӀакхоьхьуьйтур ду, амма Ахзиб-гӀала Исраил-мехкан паччахьаш Ӏехорна хир ю (Муршат — цуьнан маьӀна «зудчух луш болу там» бохург ду).</verse>
				<verse number="15">Марешера бахархой, Ас шу мостагӀчун кара дӀалур ду (Мареш — цуьнан маьӀна «толамхо» бохург ду). Исраилан халкъан куьйгалхой, бевдда, Ӏадулам-хьехана чохь къайлабевр бу.</verse>
				<verse number="16">Дукха дезачу шайн берашна шаьш гӀайгӀанехь хиларна, шайн коьртара месаш дӀаяша. Шу долчуьра уьш махках бохург хиларна, ломъаьрзунан санна, шайн кортош дерзина даха.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Декъаза бу хьарамдерг дагалаьцнарш, шаьш Ӏохкучу меттахь зулам дан дагадеанарш. И зуламаш Ӏуьйранна сатосуш кхочушдо цара, шайн карахь ницкъ болу дела.</verse>
				<verse number="2">Аренаш шайна езалахь — уьш нуьцкъаха схьайоху цара. Дезалой цӀенош — уьш а схьадоху. Адам а, цуьнан цӀа а, стаг а, цуьнан бахам а чӀанабоккху.</verse>
				<verse number="3">Цундела Везачу Эло иштта боху: «ХӀинца Ас хӀокху тайпана, цуьнга шен кочара цкъа а дӀабаккхалур боцу, бохам бан дагалаьцна. Кхин цкъа а шайн корта хьалаайина лелалур бац уьш, хӀунда аьлча хӀара зама луьра ю.</verse>
				<verse number="4">Оцу дийнахь шух лаьцна тийжамаш бийр бу, шийлачу маьхьаршца белхарш дийр ду. Цара бохур ду: „Тхо кхоччуш дохийна! Везачу Эло сан халкъан дакъа кхечарна дӀаделла. Иза соьгара схьадаьккхина ма ду! Тхан аренаш а тхуна талор динчу хийрачу нахана дӀасаекъна Цо“».</verse>
				<verse number="5">Иштта Везачу Элана хьалха болчу гуламехь, латта доькъучу хенахь, цунах дакъа схьаэца хьан цхьа а хир вац.</verse>
				<verse number="6">Наха боху: «Пайхамаралла ма де, хӀай пайхамарш! Ма де тхуна пайхамаралла. Тхо сийсаздаьхна хир дац».</verse>
				<verse number="7">Ва Якъубан цӀа олург! Везачу Элан собар кхача-м ца дина те? Иштта гӀуллакхаш билггал дийр ду те Цо? Нийсо лелочарна дика там ца хуьлу те Цуьнан дешнех?</verse>
				<verse number="8">«Хьалха Сан хилла долу халкъ, мостагӀа санна, дуьхьалдаьлла. Ткъа аша тӀамера юхабоьрзучу, машаре шайна тӀехбовлучу нехан тӀехулара а, чухулара а бедарш схьайоху.</verse>
				<verse number="9">Сан халкъан зударий церан исбаьхьачу цӀенош чуьра арабоху аша. Церан берашкара гуттаренна схьадоху аша Сан декъалдарш.</verse>
				<verse number="10">ХьалагӀовтта, дӀагӀо, хӀунда аьлча хӀара мохк — синтем болу меттиг яц. Цо лелош йолу хьарамлонаш бахьана долуш, къиза бохор болуш бу иза.</verse>
				<verse number="11">Нагахь санна цхьана даьсса къамелаш дечо, аьшпаш а кхоьллина: „Ас чагӀарх а, нихах а лаьцна хаамаш бийр бу“, — аьлча, цунах хӀокху халкъана тамехь волу пайхамар хир ву.</verse>
				<verse number="12">Ас Якъубан цӀа билггал схьагулдийр ду. Ас Исраилан халкъах диснарг а билггал схьагулдийр ду. Аса уьш, жоьлахь уьстагӀий санна, даьхнин кертахь жа санна, цхьаъ а дина, цхьаьнатухур бу. Цара шаьш дукха хиларна гӀовгӀа йоккхур ю».</verse>
				<verse number="13">Царна хьалххула, пенаш а дохош, Дела чекхвер ву. ГӀалин ков доха а дина, арабевр бу уьш. Церан паччахь царна хьалхаваьлла дӀагӀур ву. Ткъа церан коьртехь Веза Эла хир ву.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">ТӀаккха ас элира: «ЛадогӀа, Якъубан тӀаьхьенан тхьамданаш, Исраилан халкъан куьйгалхой! Шу дац ткъа бакъдерг хаа декхарийлахь?</verse>
				<verse number="2">Шуна-м дика ца деза, шуна вон деза. Аша адамашна тӀера цӀока йоккху, ткъа церан даьӀахкаш тӀера дилха доккху.</verse>
				<verse number="3">Сан халкъан дилха аша доу, царна тӀера цӀока йоккху, ткъа церан даьӀахкаш кегйо. Кхаби чу кхуьссуш санна, оту, ткъа жижиг, яй чу тосуш санна, хедадо».</verse>
				<verse number="4">ТӀаккха уьш Везачу Эле кхойкхур бу, амма Цо жоп лур дац царна. Цу дийнахь Цо Шен юьхь дӀаерзор ю царах, цара зулам дина дела.</verse>
				<verse number="5">Сан халкъ тилош болчу пайхамарех лаьцна Везачу Эло иштта боху: «Шайна кхаъ кхаллочарна цара машар кхайкхабо, ткъа шайн бага хӀума ца юьллучарна цара тӀом дӀахьебо.</verse>
				<verse number="6">Цундела хӀуттучу суьртийн метта, шуна буьйса хир ю, хиндолчух лаьцначу билгалонийн метта, Ӏаьржа бода хир бу. Пайхамаршна малх а къайлабер бу, де а кхулур ду.</verse>
				<verse number="7">Хиндерг хуучарна эхь хетар ду, палтуьйсурш а юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу. Цара массара а шайн батош дӀакъовлур ю, хӀунда аьлча царна Делера жоп хир дац».</verse>
				<verse number="8">Ткъа со Везачу Элан Синах, бакъдолчух а, чӀагӀонах а вуьззина ву Якъубан тӀаьхьене цуьнан зуламаш а, Исраилан халкъе цуьнан къинош а дӀадийцархьама.</verse>
				<verse number="9">ЛадогӀа соьга, Якъубан тӀаьхьенан тхьамданаш, Исраилан халкъан куьйгалхой, бакъйолчу кхелах ца дешарш, нийса мел дерг гам дийраш,</verse>
				<verse number="10">Цийон-лам тӀера Ярушалайм цӀийца а, харцдолчуьнца а хьалахӀоттош дерш!</verse>
				<verse number="11">Церан тхьамданаша кхаьънаш эцарца кхел йо, ткъа динан дайша шайна мах белча хьоьху. Церан пайхамарша а ахчанах пайхамаралла до. Шаьш иза дечу хенахь Везачу Элана тӀетевжа уьш: «Веза Эла вац ткъа вайна юкъахь? Вайна тӀе бала богӀур ма бац!» — бохуш.</verse>
				<verse number="12">Цундела шу бахьана долуш Цийон-лам, аре санна, охур бу, ткъа Ярушалаймах тӀулгийн оьла хир ю, Делан цӀа тӀехь лаьттинчу лам тӀе хьун ер ю.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">ТӀаьхьарчу деношкахь иштта хир ду: Везачу Элан цӀийнан лам массо а лаьмнийн коьрте дӀахӀоттор бу. Иза массо а баьрзнел лакхабер бу, ткъа цунна тӀе халкъаш оьхур ду.</verse>
				<verse number="2">Дуккха а халкъаш тӀедогӀур ду. Цара эр ду: «Схьадуьйла, вай Везачу Элан лам тӀе а, Якъубан Делан цӀа долчу а хьаладевр ду. Везачу Эло вайна Шен некъашца лела хьоьхур ду. ТӀаккха вай, Цуьнан некъашца а лелаш, дехар ду». ХӀунда аьлча товрат-хьехам Цийон-лам тӀера схьабер бу, ткъа Везачу Элан дош Ярушалаймера схьадер ду.</verse>
				<verse number="3">Цо дукха халкъашна юкъахь маслаӀат дийр ду, генарчу мехкашкахь дукхачу къаьмнашна юкъара къовсамаш совцор бу. ТӀаккха цара шайн таррех хьонхалш бийр бу, ткъа гоьмукъех маьрсаш дийр ду. Цхьана халкъо вукху халкъана тӀе тур ойур дац. Уьш тӀом бан кхин Ӏемар бац.</verse>
				<verse number="4">Амма хӀорра а шен-шен кемсийн таьллангана кӀел а, шен-шен инжиран дитта кӀел а хиъна Ӏийр ву. Царна цхьаммо а кхерамаш туьйсур бац, хӀунда аьлча массо а ницкъийн Везачу Эло аьлла иза.</verse>
				<verse number="5">Массо а халкъаш шайн деланийн дуьхьа лелаш ду. Ткъа вай вешан Дела волчу Везачу Элан дуьхьа лелар ду абаденналц.</verse>
				<verse number="6">«Оцу дийнахь, — боху Везачу Эло, — Ас астагӀнаш схьагулбийр бу, генна дӀасалаьхкинарш а, Айса бохам тӀебаийтинарш а цхьаьнатухур бу.</verse>
				<verse number="7">Ас астагӀчарах халкъан дисина дакъа дийр ду, ткъа генна дӀасабаржийначарах онда ницкъ болу халкъ дийр ду. Везачу Эло Цийон-ломахь олалла дийр ду царна тӀехь оцу хенахь дуьйна абаденналц.</verse>
				<verse number="8">Ткъа хьо, жен бӀов, Цийон-ломан йоӀан чӀагӀо! Хьан хьалхалера олалла, хьуна юха а деана, хьоьга юхадоьрзур ду. Паччахьалла Ярушалайман йоӀе доьрзур ду».</verse>
				<verse number="9">Стенна хьоькху ахь и шийла мохь? Паччахь вац ткъа хьан? Я хьо цхьа а хьехамча воцуш-м ца йисина, берах хьийзош ерг санна, лазарша сел чӀогӀа дӀалаццал?</verse>
				<verse number="10">Цийонан йоӀ, холчу хӀотта, бер дечу зудчо санна, лазарех баланаш хьега, хӀунда аьлча хьо хӀинца, гӀалара ара а яьлла, аренгахь ехар ю. ТӀаккха хьо Бавел-гӀала кхочур ю. Хьо цигахь кӀелхьаръер ю. Везачу Эло хьо цигахь хьан мостагӀийн мехах карара паргӀатйоккхур ю.</verse>
				<verse number="11">Ткъа хӀинца-м дукха халкъаш хьуна дуьхьалдовла схьагулделла. Цара боху: «Сийсазъяьккхина хуьлийла иза! БӀаьрг бузийла вайн Цийон-ломе а хьежна!»</verse>
				<verse number="12">Амма Везачу Элан ойланаш царна ца евза, Иза дан воллучух а уьш ца кхета. Цо, хьаьтта цӀевнаш санна, шаьш схьагулдина хиларх а ца кхета.</verse>
				<verse number="13">Везачу Эло боху: «Цийонан йоӀ, хьалагӀатта, ялта ара! ХӀунда аьлча Ас, аьчка маӀаш а, цӀестан бергаш а йолу сту санна, онда хуьлуьйтур ю хьо. Ахьа дукха халкъаш хӀаллакдийр ду. Ахь цара нахера дӀадаьккхинарг а, церан хьал а дерриге а дуьненан Олахо волчу Везачу Элана дӀалур ду».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">Ярушалайман халкъ, мостагӀашна дуьхьалдаккха хӀинца хьайн эскар! Вайна го лаьцна. Исраил-мехкан куьйгалхочунна юьхь тӀе Ӏаса еттар ю.</verse>
				<verse number="2">«Хьо а, Эпратера йолу Байтлахам-гӀала, ЯхӀудан махкарчу гӀаланашна юкъахь уггаре а кӀезигниг елахь а, хьох вер ву Суна Исраилан къомана куьйгалхо хин волу цхьаъ. Цуьнан схьавалар ду дуьне доладелчхьана, азалера».</verse>
				<verse number="3">Цундела Везачу Эло Исраилан халкъ церан мостагӀийн кара дӀалур ду, берах йолчо бер даллалц а, халкъах къаьстина вежарий исраилхойх дӀакхетталц йолчу ханна.</verse>
				<verse number="4">ТӀаккха Цо, хьала а гӀаьттина, Везачу Элан ницкъаца а, Шен Везачу Делан цӀеран сийлаллица а и халкъаш дажор ду. Уьш кхерам боцуш дехар ду, хӀунда аьлча Иза оцу хенахь дуьненан йистошка дӀакхаччалц сийлахь хир ву.</verse>
				<verse number="5">Цуьнца машар хир бу. Ашурхой, вайн махка чу а баьхкина, вайн гӀепаш а кегъеш, чекхбевлча, вай царна дуьхьал тӀом бан вешан нуьцкъала тхьамданаш бохуьйтур бу.</verse>
				<verse number="6">Цара Ашуран лаьтта тӀехь туьраца, ткъа Намрадан лаьтта тӀехь даьккхинчу туьраца олалла дийр ду. Ткъа Цо вай ашурхойх паргӀатдохур ду, уьш вайн лаьтта тӀе а, вайн дозанашка а бевлча.</verse>
				<verse number="7">Якъубан халкъах дисина дакъа дуккха а долчу халкъашна юкъахь Везачу Элера долу тхи санна а, баца тӀе догӀу кхевссина догӀа санна а хир ду. Дисина долу и халкъ адамах дозур а дац, цунах тешна Ӏийр а дац.</verse>
				<verse number="8">Якъубан халкъах дисина дакъа халкъашна юкъахь, дукхачу къаьмнашна юкъахь, хьуьнан акхарошна юкъахь лом санна, уьстагӀийн жена юкъахь къона лом санна хир ду. Ша дуьхьалдаьлча, цо хьоьшу, цоьсту. Цхьаьнгге а цунах кӀелхьарваккхалур вац.</verse>
				<verse number="9">Хьан куьг мостагӀашна тӀе айалур ду, уьш берриш а ахь хӀаллакбийр бу.</verse>
				<verse number="10">«Оцу дийнахь иштта хир ду, — боху Везачу Эло, — Аса хьан дой а хӀаллакдийр ду, гӀудалкхаш а йохор ю.</verse>
				<verse number="11">Ас хьан лаьтта тӀера гӀаланаш а хӀаллакйийр ю, хьан массо а чӀагӀонаш а йохор ю.</verse>
				<verse number="12">Хьан карахь болу жинашца тайнарш а хӀаллакбийр бу, палтуьйсурш а хьан хир бац кхин.</verse>
				<verse number="13">Ас хьан цӀуш бохор а бу, харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш хьуна юкъара хӀаллакдийр а ду, кхин Ӏамал йийр яц ахь хьайн куьйгашца йинчу хӀуманашна.</verse>
				<verse number="14">Ас хьо дехачуьра Ашера-далла лерина долу дечиган хьан бӀогӀамаш дӀадохур ду, ткъа хьан гӀаланаш йохор ю.</verse>
				<verse number="15">Ас муьтӀахь доцучу халкъашна Сайн оьгӀазаллехь а, эргӀадаллехь а бекхам бийр бу».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="6">
				<verse number="1">ЛадогӀа Везачу Эло бохучуьнга: «ХьалагӀатта, лаьмнашна хьалха довзийта хьайн гӀуллакх, баьрзнашна дӀахозийла хьан аз!»</verse>
				<verse number="2">ЛадогӀа, лаьмнаш, Везачу Элан гӀуллакхе! Лаьттан онда бух, ахьа а ладогӀа! ХӀунда аьлча Везачу Элан цхьа къовсам бу Шен халкъаца. Цо Исраилан халкъе бехк боккху.</verse>
				<verse number="3">«Сан халкъ! ХӀун вон динера Ас хьуна? ХӀун гӀело йинера Ас хьуна? Схьадийцал Соьга.</verse>
				<verse number="4">Ас, Мисар-махкара ара а даьккхина, лоллин цӀийнера мехах паргӀатдаьккхира хьо. Ас хьуна хьалхабевлла бахийтира Муса а, АхӀарон а, Марем а.</verse>
				<verse number="5">Сан халкъ! Дагадаийтахьа Муаби-мехкан паччахьо Балакха дагалаьцнарг. Цуьнга хӀун жоп делира БеӀаран кӀант волчу БалиӀама? ХӀун хуьлура Шитимера Галгале кхаччалц, Делан бакъдолу гӀуллакхаш хьуна довзийтархьама?»</verse>
				<verse number="6">«Стенца дӀахӀотта веза со Везачу Элана, стигалан Далла, хьалха, со Цунна Ӏамал ян веача? Шаре девлла эсий а далош, дийнаташ дагоран сагӀанца дӀахӀотта те со Цунна хьалха?</verse>
				<verse number="7">Амма эзарнашкахь кой дайарх я барам боцуш дукха татолашкахь зайтдаьтта Ӏенадарх там балур буй те Везачу Элана? Сайн дуьххьарлера доьзалхо лой те ас Цунна сайгара даьллачу зуламна тӀера, сайн кийрара схьабаьлла стом лой те ас Цунна сайн синан къиношна тӀера?»</verse>
				<verse number="8">Ва адам! ДӀахаийтина-кх хьоьга диканиг хӀун ду а, Везачу Эло хьоьга хоттун дерг хӀун ду а. Иза ду — нийсонца лелар, тешаме хилар дезар, шен кӀезигалла а хууш, хьайн Делаца лелар.</verse>
				<verse number="9">Везачу Элан аз ду гӀалане кхойкхуш, (ткъа Хьуна хьалха ларамах буьзна хилар хьекъалалла ду): «Ва къам а, гӀалахь гулбинарш а, ладогӀа!</verse>
				<verse number="10">ХӀинца а ю те Ӏесачийн цӀенош чохь харцахьаяьхна хазнаш а, сел дегаза долу харц сахь а?</verse>
				<verse number="11">Нийса хир дуй те ас харц терза а, харц герканаш чохь йолу тӀоьрмаг а магийтича?</verse>
				<verse number="12">ГӀалин хьолахой къизаллах буьзна бу. Цуьнан бахархоша аьшпаш буьтту, харцметтанаш ду церан багахь.</verse>
				<verse number="13">Ас-айса хьо, тоха а тухуш, лазор ю. Хьан къинош бахьана долуш, Аса хьо яссор ю.</verse>
				<verse number="14">Ахьа яа хӀума юур ю, амма хьо юзур яц. Хьан кийра бассабелла хир бу. Хьайн долуш дерг лардийр ду ахь, амма хӀумма а ларлур дац хьоьга, ткъа лардинарг а Ас туьра кӀел дохуьйтур ду.</verse>
				<verse number="15">Ахь ялта дӀадуьйр ду, амма иза хьокхур дац. Зайтдиттан стоьмех даьтта доккхур ду, амма цунах пайда оьцур бац, кемсех мутта доккхур ду, амма чагӀар мер дац.</verse>
				<verse number="16">Ӏумари-паччахьан парзаш а, Ахьаб-паччахьан цӀийнан массо а гӀуллакхаш а ахь лардарна а, церан ламасташца шу леларна а, Ас хьо, йохийна, яссор ю, ткъа хьан бахархой, шок а лоькхуш, боьлуьйтур бу. Сан халкъан сийсазалла ахь а хьоьгур ю».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="7">
				<verse number="1">Декъаза ю со! ХӀунда аьлча хӀинца суна хилларг — аьхка схьалахьийначу стоьмех а, схьаяьхначу кемсех а тера ду: яа цхьа а кемсийн хорха а яц, со хьоьгуш йолчу мерзачу инжирех цхьа а яц.</verse>
				<verse number="2">Далла тешаме берш махкахь ца бисина, догцӀенанаш а бац адамашна юкъахь. Массара а кӀело йина, цӀий Ӏанорхьама. ХӀорра а шен вешина речӀа югӀуш ву.</verse>
				<verse number="3">Церан куьйгаш зуламаш дан говза ду. Хьаькамаша шайна совгӀаташ далар тӀедожийна, кхелахошна кхаьънаш ийдо. Карахь Ӏедал долчу наха шайн лаамаш схьахоуьйту. Уьш массо а цхьа барт беш бу.</verse>
				<verse number="4">Царах диканиг коканан колл санна ву, нийсо лелош верг — кӀохцалийн кертал а оьшуш ву. Дала халкъана таӀзар ден долу де тӀекхочуш лаьтта. ХӀинца уьш боьхна хьийзар бу.</verse>
				<verse number="5">Вовшех а ма теша, доттагӀчух тешна а ма Ӏе. Айхьа олу дош ларде хьайна юххехь Ӏуьллучух.</verse>
				<verse number="6">ХӀунда аьлча кӀанта да сийсазвоккху, йоӀ шен нанна дуьхьалйолу, нус шен марнанна дуьхьалйолу, стеган цӀеранаш цуьнан мостагӀий хуьлу.</verse>
				<verse number="7">Амма сох лаьцна аьлча, со сайн Веза Эла варе хьоьжур ву, со сайн кӀелхьарваларан Деле сатуьйсуш хир ву. Сан Далла со дӀахезар ву.</verse>
				<verse number="8">Со бахьана долуш воккха ма ве, сан мостагӀа! Со охьавоьжнехь а, хьалагӀоттур ву. Со боданехь велахь а, Веза Эла суна серло ю.</verse>
				<verse number="9">Далла хьалха айса къинош летийна дела, ас Цуьнан оьгӀазло дӀакхоьхьур ю, сан гӀуллакх цхьалха а даьккхина, суна тӀехь Цо кхел яллалц. ТӀаккха Цо со серлонга воккхур а ву, суна Цуьнан нийсо а гур ю.</verse>
				<verse number="10">Сан мостагӀчунна а гур ду иза. «Мичахь ву хьан Веза Дела?» — соьга баьхна волу иза юьхьӀаьржачу хӀуттур ву. Сан бӀаьргаш Ӏебар бу, урамашкара хатт санна, иза хьоьшуш гича.</verse>
				<verse number="11">Хьан пенаш дӀахӀиттон де тӀекхочуш ду, хьан дозанаш къасторан де ду иза.</verse>
				<verse number="12">Оцу дийнахь Ашур-махкара, Мисар-мехкан гӀаланашкара, Мисарара Эпрат-хина тӀе, хӀордана тӀера хӀорда тӀе, ломана тӀера лам тӀе дӀакхаччалц богӀур бу хьуна тӀе.</verse>
				<verse number="13">Ткъа оцу лаьттах яьсса аре хир ю, цуьнан бахархойн бехкана а, церан гӀуллакхийн тӀаьхьенаш бахьана долуш а.</verse>
				<verse number="14">Хьайн халкъ, дежийлашна юкъахь йолчу хьуьнхахь шаьш дехаш долу Хьан тӀаьхьенан уьстагӀий, Хьайн коьжалгаца дажадехьа. Дежийла уьш, ширачу заманахь санна, Башанехь а, ГалӀадехь а!</verse>
				<verse number="15">Мисар-мехкан лаьттара хьо арадоккхучу деношкахь санна, иштта инзаре гӀуллакхаш гойтур ду Везачу Эло цунна.</verse>
				<verse number="16">Уьш гича, шаьш мел нуьцкъала делахь а, халкъаш озалур ду. Цара шайн батош дӀакъовлур ю, церан лергаш къорлур ду.</verse>
				<verse number="17">Цара ченаш тӀе мотт хьоькхур бу, лаьхьано санна. Уьш шайн чӀагӀонаш чуьра арадевр ду, лаьттан нӀаьний санна. Уьш вайн Везачу Далла тӀе бегош боьрзур бу, Хьох кхоьруш а хир бу.</verse>
				<verse number="18">Муьлха Дела ву Хьо санна къиношна гечдеш а, Хьан долчу халкъах бисинчеран зуламашна къинтӀера волуш а? Хьо даим вац оьгӀазвахана вуьсуш, амма Хьуна къинхетам бан хазахета.</verse>
				<verse number="19">Хьо юха а хир ву тхоьца къинхетаме. Ахьа тхан харцонаш, хьаьшна, дӀашарйийр ю, Ахь кӀорггачу хӀорда чу кхуьссур ду тхан массо а къинош.</verse>
				<verse number="20">Якъубан тӀаьхьенна Хьо тешаме хир ву, ИбрахӀиман тӀаьхьенна Ахь къинхетам дӀагойтур бу. Иза тхан дайшна юьхьанца дуьйна Ахьа ваӀда деш лур ду аьлларг ду.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="34">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">Нунав-гӀалина дуьхьал Делера болу хаам. Элкхушахо волчу Нахьумна Дала хӀоттийначу суьртах лаьцна долу тептар.</verse>
				<verse number="2">Веза Эла — эмгаралла йолу Дела а, бекхамхо а ву. Бекхам бийриг а, дераллах вуьзнарг а ву Иза. Шена дуьхьалболчарна бекхам а бо Цо, мостагӀашна дуьхьал моха а латтайо Цо.</verse>
				<verse number="3">Веза Эла атта оьгӀаз а ца воьду, Иза Шен ницкъаца сийлахь ву. Цо бехк таӀзар ца деш а ца буьту. Йилбазмохехь а, дарцехь а ду Везачу Элан волавалар, мархаш — Цуьнан когаша хьалайоккху чан санна ю.</verse>
				<verse number="4">Цо омра дича, хӀорд а бакъало, дерриг хиш а лекъа. Башан-мохк а, Кармал-лам а маргӀалбулу, Ливанун-ломан зазанаш дакъало.</verse>
				<verse number="5">Цунна хьалха лаьмнаш а дегадо, баьрзнаш а деша. Цуьнан юьхьа хьалха латта а, дерриг а дуьне а, дуьнен чохь мел дехарг а дегадо.</verse>
				<verse number="6">Мила латталур ву, Иза эргӀадвахча? Хьан ловр ю Цуьнан чӀогӀа йолу оьгӀазалла? Цуьнан дералла яьлла цӀе санна хиларна, тархех Цунна хьалха чан хуьлу.</verse>
				<verse number="7">Веза Эла ма дика ву. Бохам тӀебеача, Иза дӀалочкъийла ву. Шех бӀобулучарна Ӏуналла до Цо.</verse>
				<verse number="8">Амма дерриге а дӀахьулдечу хин дестаро санна, Цо кхоччуш дӀайоккхур ю Нунав-гӀала. Шен мостагӀий Цо бодане дӀахьулбойтур бу.</verse>
				<verse number="9">ХӀун дагадеана шуна Везачу Элана дан? Цо шу кхоччуш хӀаллакдийр ду! ШолгӀа шуна бохамаш бан оьшур дац.</verse>
				<verse number="10">Коканан колл санна, вовшахъхьаьрчина болу мостагӀий, баххалц мелла болу маларчаш санна, хӀаллакбина хир бу, дагийна декъа ча санна, берриш а хӀаллакбина хир бу.</verse>
				<verse number="11">Везачу Элана дуьхьал зулам дан дагалаьцнарг а, мекара хьехам бинарг а хьох схьаваьлла, Нунав-гӀала.</verse>
				<verse number="12">Везачу Эло иштта боху: «Ашурхой нуьцкъала а, дукха а белахь а, уьш хӀаллакбина дӀабохур а бу, уьш къайлабевр а бу. ЯхӀудан халкъ, Ас хьуна хӀинццалц халонаш йинехь а, кхин халонаш йийр яц.</verse>
				<verse number="13">ХӀинца Ас хьуна тӀехь долу церан дукъ дохор ду, хьан буржалш а йохор ю».</verse>
				<verse number="14">Ткъа хьуна, Ашуран къам, Везачу Эло хӀара билгалдаьккхина: «ХӀинца чул тӀаьхьа кхин хӀу хир дац хьан цӀе йоккхуш. Хьан деланийн цӀийнара дечиган а, лалийна бина болу а цӀуш хӀаллакбина дӀабохур бу Ас. Ас хьуна каш кечдийр ду, хьо мехала хӀума йоцу дела».</verse>
				<verse number="15">Хьажал, хаза кхаъ бахьаш волчу а, машар дӀакхайкхош волчу а геланчин когаш лаьмнашкахула схьабогӀу! ЯхӀудан къам, хьайн деза денош дазде, хьайн ваӀданаш а кхочушде. ХӀинца чул тӀаьхьа Ӏесанаш хьан махка кхин чугӀертар бац, уьш кхоччуш хӀаллакбина дела.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Бохам бийриг хьуна дуьхьалгӀаьттина, ва Нунав-гӀала! Ӏалашъе хьайн чӀагӀонаш, ларбе хьайна тӀебогӀу некъ, хьайн гӀодаюкъ ехка, схьагулбе ницкъ.</verse>
				<verse number="2">Веза Эла Якъубан тӀаьхьенан сийлалла меттахӀотто воллу, Исраилан халкъан сийлалла меттахӀоттор ю, бохам бечара церан латта дассийна делахь а, церан кемсийн гаьннаш хӀаллакдина делахь а.</verse>
				<verse number="3">Церан эскархойн турсаш цӀен ду. Церан тӀемалой цӀен духар дуьйхина бу. ЦӀе санна лепаш ду церан гӀудалкхийн эчиг тӀамана кечам бинчу дийнахь, техкаш ю гоьмукъийн хьун.</verse>
				<verse number="4">ГӀудалкхаш урамашкахула дӀасахьаьдда, майданашкахь къевкъа уьш. Царах, цӀарах санна, лепар схьадолу, къега уьш, секхаӀад санна.</verse>
				<verse number="5">Куьйгалхочо шен тӀеман хьаькамаш схьакхойкху, амма церан болар тийсало. ГӀалин пенашна тӀекхача сихбелла уьш, амма хӀинцале а дӀахӀоттийна бу гӀалин ков харцош болу бӀогӀам беттачеран ларйо хӀума.</verse>
				<verse number="6">Хин кевнаш дӀаделлалуш ду, паччахьан цӀа хӀаллакьхуьлуш ду.</verse>
				<verse number="7">Сацам бина бу. Зуда-паччахь ерзина йийсаре дӀаюьгуш ю. ГӀарбашаш, кхокхарчий санна, узарш деш бу, сингаттамца шайн накхош тӀе буйнаш а детташ.</verse>
				<verse number="8">Нунав-гӀала ша мел ю хих буьзна Ӏам санна яра, ткъа хӀинца цуьнан нах бовду. Совцийша! Совцийша! Амма цхьа а юха ца хьожу.</verse>
				<verse number="9">ДӀасадаккха дети, дӀасадаккха деши! Цхьана а езачу пхьегӀан тӀаьхьалонан йист хедаш яц.</verse>
				<verse number="10">Иза талораш дина, яссийна, хӀаллакйина. Дог деша, голаш егайо. Массеран меженаш чохь онда лазар ду. Массеран яххьаш макхъелла.</verse>
				<verse number="11">Мичахь бу хӀинца лоьмийн бен а, лоьмийн кӀорнеш кхобуш йолу меттиг а цхьаммо а ца кхерош лом-нана а, лоьман кӀорнеш а лелла йолу?</verse>
				<verse number="12">КӀорнеш тоъал юзорхьама катухура лоьмо, лом-нанна кхача балархьама са дукъадора, шен хьехаш ижух а юзуш, оьрнаш катоьхначух а дузуш.</verse>
				<verse number="13">«ХӀинца Со ву хьуна дуьхьалваьлла! — боху Везачу Эло. — Хьан гӀудалкхаш Ас кӀур бина ягор ю. Хьан лоьман кӀорнеш туьро юур ю. Хьан хӀонс а дӀайоккхур ю Ас лаьтта тӀера. ХӀинца чул тӀаьхьа кхин хезар дац хьан геланчийн аьзнаш».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">Бохам тӀебогӀу цӀийх юьзначу гӀалина! Харцдолчух а, схьаяьккхина хӀонсах а юьзна ю иза, талораш дар а соцуш дац цигахь.</verse>
				<verse number="2">Шад еттар а, хьийзачу чкъургийн тӀак а, юм еш йогӀучу говрийн татанаш а, хахкаеллачу гӀудалкхан гӀовгӀа а ю хезаш.</verse>
				<verse number="3">Хахкаелла йогӀу дошлойн говраш, къегаш ду тур, лепа гоьмукъ. Шортта белларш бу, декъийн оьланаш ю. Декъийн йист яц, оцу декъех тийсало.</verse>
				<verse number="4">Иза Нунав-гӀалин лелар бахьана долуш ду. И гӀала, хаза куц долу кхахьпа санна, сийсаза лелара, жинашца тайна хилар тӀехь уггар а говза йолу, шен сийсаза леларца халкъаш духкуш йолу, шен жиналлица тукхамаш духкуш йолу.</verse>
				<verse number="5">«ХӀинца Со ву хьуна дуьхьалваьлла! — боху Везачу Эло. — Ас хьан бедаран юх хьан юьхь тӀе озор ю. Ас халкъашна хьан ерзина ялар, ткъа пачхьалкхашна хьан сий дайна хилар дӀагойтур ду.</verse>
				<verse number="6">Ас боьха дерш тӀекхуьйсур ду хьуна, хьох Сан дог мел далар а гойтуш, Ас нах кхардийта дӀахӀоттор ю хьо.</verse>
				<verse number="7">Хьо гича, муьлххачу а стага, хьох дӀа а воьрзуш, эр ду: „Йохийна Нунав-гӀала! Хьенан хир бу цунах лаьцна дагахьбаллам? Мичара карор бу Суна хьан дог оьцурш?“»</verse>
				<verse number="8">Ну-Амин-гӀаланал гӀолехь-м яц хьо, хиша го а бина, Нил-хина юххехь йолчу? Хих цунна чӀагӀо хилла, хи цунна гӀалин пен санна хилла.</verse>
				<verse number="9">Хуша а, Мисар-мохк а хедар боцу цуьнан ницкъ хуьлура. ПӀатӀа а, Лива-мохк а цуьнга гӀо лаца богӀура.</verse>
				<verse number="10">Амма иза кхечанхьа яьккхина, иза а йийсар дина ю. Цуьнан кегий бераш урамаш вовшах мел кхетачохь кегдина, ткъа церан цӀеяхначарах лаьцна кхаж туьйсура, церан хьалдолу нах буржалш тоьхна бу.</verse>
				<verse number="11">Иштта хьо а, Нунав-гӀала, яха а ехна, къайлаер ю. Иштта ахьа а, хьайн мостагӀех дӀа а едда, дӀалечкъийла лоьхур ю.</verse>
				<verse number="12">Хилла стоьмаш долчу инжирийн диттех тера ю хьан ерриге а чӀагӀонаш. Нагахь санна и дитт дегадахь, и стоьмаш кхалла луучунна нийсса бага оьгур бу.</verse>
				<verse number="13">Хьайн эскаре хьажал! Хьан тӀемалой зударех тера хир бу! МостагӀий хьан махка чугӀурту кевнаш шуьйра схьаделладелла лаьттар ду. Церан гӀораш цӀеро дӀакхаьллина хир ду.</verse>
				<verse number="14">Хьайна го лоцучу ханна хи кечде, хьайн чӀагӀонаш чӀагӀъе, хотта юкъа гӀо, поппар хье, кибарчигаш еш йолу кепаш кечъе.</verse>
				<verse number="15">Цигахь цӀеро хӀаллакйийр ю хьо, туьро цоьстур ю хьо. ЦӀазо ялта дӀакхалларе терра, хьо а йиъна дӀайоккхур ю! Къона а, доккха а цӀоз санна, дебаш хила!</verse>
				<verse number="16">Хьан совдегархой стигалара седарчел а алсамбевлла бу. Уьш, къона цӀоз санна, цӀока дӀа а яьккхина, хьалаоьху.</verse>
				<verse number="17">Хьан куьйгалхой доккха цӀоз санна бу. Хьан баьччанаш, шелъелча, пенийн хераллашкахь бенаш деш долчу цӀазан жӀуга санна бу. Амма малх кхетча, уьш, тӀема а йовлий, дӀасайоьлху, тӀаккха цхьанна а ца хаьа уьш стенга яхана.</verse>
				<verse number="18">Ашур-мехкан паччахь, хьан Ӏуналла дийраш самабевр боцу наб еш бу, хьан баьччанаш гуттаренна а бийшина бу. Хьан халкъ лаьмнашкахула дӀасадаьржина. Цхьа а вац иза схьагулдан.</verse>
				<verse number="19">Хьан чов ерзо дарба дац, хьуна йина чевнаш тоян йиш яц. Хьох лаьцна хаам хезнарш тӀараш детташ баккхийбер бу, хӀунда аьлча мила ву хьоьгара къизалла даим тӀекхачаза?!</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="35">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">ХӀара бу Хьабукъа-пайхамарна Делера кхаьчна болу хаам.</verse>
				<verse number="2">Веза Эла, ас орца мел дохур ду те — Хьуна дӀа а ца хезаш, ас цӀогӀа мел хьоькхур ду те — къизалла ечух Ахь кӀелхьар а ца воккхуш?</verse>
				<verse number="3">ХӀунда хьоьжуьйту Ахь со зуламашка? Муха лов Ахьа харцонашка хьежар? Суна хьалха хӀаллакдар а, къизалла яр а ду. Массанхьа а девнаш а, къийсарш а ду.</verse>
				<verse number="4">И бахьана долуш Ӏедалан ницкъ байна, нийса кхелъяр а дац. Ӏесачо Делан лаамехь верг кӀелвуьту дела, кхелъяр а харцонца чекхдолу.</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха Везачу Эло нахе иштта элира: «Хьовсийша халкъашна юкъа, тергаме хьовсалаш, шу чӀогӀа цецдевр ду, хӀунда аьлча шун дахаран деношкахь цхьамма шайга уьш дийцича, цкъа а шу тешар доцу хӀума дийр ду Ас.</verse>
				<verse number="6">Ас хашадхой гӀовттор бу, къиза а, эргӀада а долу и халкъ. Уьш лела лаьттан аре мел ю, нах Ӏаш йолу шайн йоцу меттигаш шайн дола яхархьама.</verse>
				<verse number="7">И халкъ кхерам тосуш а, нах Ӏадош а ду. Цара еш йолу кхел а, церан олалла а цаьргара шайгара схьадолу.</verse>
				<verse number="8">Церан говраш цӀоькъабергел сиха ю, уьш буьйсанна лелачу берзалойл а луьра ю. Церан береш схьахахкабевлла богӀу, церан дошлой геннара схьабогӀу. Ижуна тӀекхета аьрзу санна, тӀемабевлла схьабогӀу уьш.</verse>
				<verse number="9">Мехкашна чу а гӀерташ, церан эскарш ницкъ бан Ӏалашо йолуш ду, малхбалера мох санна йолу церан къизалла тобанел а хьалхаяьлла йогӀу. Цара йийсархой дӀалоцу, гӀум санна.</verse>
				<verse number="10">Цара паччахьаш хьийзабо, баьччанех царна белам хилла. Муьлххачу а чӀагӀонах бийлало уьш, го беш, баьрзнаш а хӀиттадой, уьш дӀалоцу цара.</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха уьш, чехка мох санна, тӀех а бевлла, дӀабовлу. Уьш къилахь нах бу, хӀунда аьлча шайн ницкъах шайна дела кхоьллина цара».</verse>
				<verse number="12">Веза Эла, Хьо вац ткъа ширачу заманашкара дуьйна волу сан Дела, сан Везаниг? Тхо лийр дац! Веза Эла, хашадхой Ахь къобалбина бу, цаьрга кхел яйтархьама. Сан тарх! Уьш Ахь билгалбаьхна бу таӀзар дайтархьама.</verse>
				<verse number="13">Вонашка хьежа тӀех цӀена бу Хьан бӀаьргаш. Зуламашка хьоьжуш Хьо Ӏалур ма вац! Тешнабехк лелораш хӀунда лов Ахь? Шайл бакъахьаранаш Ӏесачара дӀакхаллар вист ца хуьлуш хӀунда лов те Ахь?</verse>
				<verse number="14">ХӀунда дуьту Ахь адамаш, хи чуьра чӀерий а, шайна тӀехь олахой боцу текхаргаш а санна?</verse>
				<verse number="15">Хашадхоша уьш берриш а мӀерашца хьалабоху, цара шайн бойнашца дӀа а лоцу, уьш шайн эвнаш чу схьа а гулбо. Цу бахьанина хазахетар а хилла, баккхийбеш бу уьш.</verse>
				<verse number="16">Цундела цара сагӀанаш дахьа шайн эвнна, кӀур а туху шайн бойнна. ХӀунда аьлча оцу эвнах а, оцу бойнех а церан гайш дуьзина а хуьлу, церан шортта рицкъа а хуьлу.</verse>
				<verse number="17">Даим яссо мега те цара шайн эвнаш, къа ца хеташ даим халкъашна ницкъ бан мега те цара?</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Ӏуналлина лерина йолчу бӀаьвнна тӀе вогӀур ву со, чардакха тӀехь лаьттар ву со. Со хьоьжур ву Везачу Эло сайга эр дерг хаархьама а, ас-айса сайн латкъамах лаьцна хӀун ала деза хьажархьама а.</verse>
				<verse number="2">Везачу Эло, жоп а луш, соьга иштта элира: «ДӀаязде Ас хьайна дӀахоуьйтун дерг, дикка къаьсташ дӀаязде экъанаш тӀе, йоьшучунна атта хилийтархьама.</verse>
				<verse number="3">И хаам дӀаязбе, хӀунда аьлча Ас дӀахоуьйтун дерг билгалъяьккхинчу хенахь бен кхочушхир дац. И хаам чаккхенах хьаьгна бу, иза харц хир бац. Иза кхочушхилар вайна дахделла хетахь а, цуьнга ладугӀуш хила. Иза билггал хир долуш ду, иза хьелур дац.</verse>
				<verse number="4">Хаам хӀара бу: „Лакхара хьоьжучух лаьцна аьлча, цунна чохь догцӀеналла яц. Ткъа Делан лаамехь верг Цунах тешарца вехар ву.</verse>
				<verse number="5">Иштта, чагӀаро Ӏехаваре терра, курачу стеган синтем ца хуьлу. Цуьнан сутаралла, эхарт санна, шуьйра ю, Ӏожалла санна, цкъа а Ӏебар вац иза. Цо дерриг а къаьмнаш шена тӀе схьагулдо, массо а халкъаш шена йийсаре схьадаладо“».</verse>
				<verse number="6">Ткъа и эшийна халкъаш-м хир дац те дерриш а толамхойх лаьцна кицанаш а дохуш, царах кхаьрдаш, царах лаьцна хӀетал-металш олуш? Цара эр ду: «Декъаза ву шен боцу бахамах шех хьалдерг вийриг, шех деза закъалт дийриг. Дукха ханна хир дуй те иза иштта?»</verse>
				<verse number="7">Хьуна декхарийлахь берш цӀеххьана гӀовттур-м бац те? Хьо кхоьруьйтуш берш самабевр-м бац те? ТӀаккха хьо церан ижу хилла дӀахӀуттур ма ву!</verse>
				<verse number="8">Ахьа а дукха халкъашна талораш дина дела, дисинчу массо а халкъаша хьуна а талораш дийр ду, хӀунда аьлча ахь адамийн цӀий Ӏанийна, иштта мехкашна а, гӀаланашна а, царна чохь мел бехачарна а ахь къизалла а йина.</verse>
				<verse number="9">«Декъаза ву хьарамлонца шена хӀума гулдийриг, шена цӀа дайтархьама а, шен бен лакхенгахь бархьама а, цу тайпана бохаман куьйгах ша кӀелхьарваккхархьама!»</verse>
				<verse number="10">Ахь дагалаьцначу хӀуманаша хьан цӀийнан сий дайина. Дукха халкъаш хӀаллакдарца хьайн синна къилахь дерг лелийна ахь.</verse>
				<verse number="11">Пенашна юкъарчу тӀулгаша хьуна дуьхьал мохь хьоькхур бу, дечигах динчу дукъоша цара до тоьшалла духаэр ду.</verse>
				<verse number="12">«Декъаза ву цӀий тӀехь гӀала хӀоттош верг, харцдолчуьнца чӀагӀонаш дӀахӀиттош верг!»</verse>
				<verse number="13">Массо а ницкъийн Везачу Элера-м дац те халкъаша цӀеран дуьхьа къахьегна хилар а, къаьмнаша шаьш эрна хьийзийна хилар а?</verse>
				<verse number="14">Амма Везачу Элан сийлалла йовзарх латта дузур ду, хиша хӀорд ма-буззара.</verse>
				<verse number="15">«Декъаза ву шена уллорачаьрга оьгӀазаллин кад молуьйтуш верг, церан сийсазалла гучуяккхархьама, маларш а мийлош, уьш бахош верг!»</verse>
				<verse number="16">Сийлаллин метта, хьо сийсазаллех вуьзна. Мала а малий, хьайн сий дайна хилар гучудаккха. Везачу Элан аьтту куьйгахь болу кад хьуна тӀекхочур бу, хьан сийнна тӀе юьхьӀаьржо йогӀур ю.</verse>
				<verse number="17">Ливанун-махкахь ахь лелийна зуламаш хьуна тӀедоьрзур ду. Ахь дийнаташ хӀаллакдарна, акхароша хьо а кхерор ву. ХӀунда аьлча адамийн цӀий а ахь Ӏанийна, иштта мехкашна а, гӀаланашна а, царна чохь мел бехачарна а ахь къизалла а йина.</verse>
				<verse number="18">ХӀун пайда бу суьрташ дечу стага винчу цӀун, я харцо хьоьхуш йолчу лалийна йинчу хӀуманан? Суьрташ динарг ша кхоьллинчу цӀунах муха тешар ву? И цӀу вист а ца хилало!</verse>
				<verse number="19">«Декъаза ву дитте „Самадала!“ бохург, ткъа мотт ца хуучу тӀулге „ХьалагӀатта!“ бохург. Цуьнга Ӏамалур дуй те цхьа а хӀума? ХӀаъ, иза дети-деши диллина бу, амма цунна чохь са ма дац».</verse>
				<verse number="20">Ткъа Веза Эла Шен дезачу цӀа чохь ву: дерриг а латта тийна хуьлийла Цуьнан юьхьана хьалха!</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">Хьабукъа-пайхамаро тийжаме назма санна даьккхина доӀа.</verse>
				<verse number="2">Веза Эла! Ахь мел диначух лаьцна хезна суна. Веза Эла! Хьан гӀуллакхашка ларамах вуьзна ву со. Тхан деношкахь юха а дехьа уьш иштта, тхан заман чохь и гӀуллакхаш кхин а гучудахахьа! ОьгӀазвахханчохь къинхетамалла дагаяийтахьа.</verse>
				<verse number="3">Дела Теманера схьавогӀу, Везаниг а Паран-ломара схьавогӀу. Цуьнан возалло стигалш дӀахьулйо, Цуьнан сийлаллах латта дузу.</verse>
				<verse number="4">Цуьнан лепар малхан серло санна ду. Ницкъ къайлабаьлла болчу Цуьнан куьйгах зӀаьнарш юьйлу.</verse>
				<verse number="5">Цунна хьалха кхераме цамгар йогӀу. Цуьнан гӀулчашкахь Ӏожаллин ун лела.</verse>
				<verse number="6">Иза волавеллачуьра сецча, латта дегадо. Иза дӀахьаьжча, халкъаш тохало. БӀешерийн лаьмнаш духу, шира баьрзнаш охьаоьгу. Цуьнан некъаш абаденналц ду.</verse>
				<verse number="7">Суна го, хушанхойн четарш гӀайгӀанехь хилар, маданхойн меттаметтанаш сингаттамехь хилар.</verse>
				<verse number="8">Хишна оьгӀазвахана те Хьо, Веза Эла? Хишна тӀе йирзина те Хьан оьгӀазалла? ХӀордана дуьхьал яьлла те Хьан дералла? Цу бахьанина Хьайн дой хоьхку Ахь, Хьан толаман гӀудалкхаш лоьхку Ахь?</verse>
				<verse number="9">Ахь схьадоккху Хьайн секхаӀад, Хьайн ботт пхерчашца а юзу. Ахь Ӏоврашца хедадо латта.</verse>
				<verse number="10">Хьо гича, лаьмнаш дегадо. Стигалара хиш охьахьовду. КӀоргачу хӀордо шен аз схьахозуьйту, леккха шен куьйгаш хьала а ойу.</verse>
				<verse number="11">Малххий, буттий шаьш долччохь совцу, Хьан чехкачу пхерчийн сегарна, Хьан серладуьйлучу гоьмукъийн къегарна.</verse>
				<verse number="12">Хьо оьгӀазаллехь лела лаьтта тӀехула. Хьайн дераллехь Ахь халкъаш хьоьшу.</verse>
				<verse number="13">Хьо хьалхаволу Хьайн халкъ кӀелхьардаккхархьама, Айхьа къобалдинарг кӀелхьардаккхархьама. Ахь Ӏесачийн халкъан коьртехь волчунна туху, бух тӀера хьалакхаччалц иза гучу а воккхуш.</verse>
				<verse number="14">Ахь цуьнан тӀемалойн хьаькам цуьнан шен пхерчашца вожаво, тхо дӀасадаржо, дарц санна, уьш тӀехьаьддачу дийнахь, хазахетарца мисканиг къайлаха дӀакхалла дагахь.</verse>
				<verse number="15">Ахь Хьайн говрашца хӀорд хьоьшу, сийлахьчу хийн чопа а йоккхуш.</verse>
				<verse number="16">Суна хезира — сан чуьйраш хьовзийра. Цунах лаьцна кхаъ хезча, сан балдаш дегийра, сан даьӀахкех лазар кхийтира, сан когийн кӀелара латта дегадо. Амма со собарца хьоьжур ву, тхуна тӀелеттачу халкъана тӀе догӀучу бохаман дийне.</verse>
				<verse number="17">Инжиран дитто заза ца даккхахь а, кемсийн таьллангана тӀе стом ца латабахь а, зайтдитто сатийсинарг ца лахь а, аренаша ялта ца лахь а, жоьлехь уьстагӀий ца дисахь а, божалахь даьхний ца дисахь а,</verse>
				<verse number="18">тӀаккха а Везачу Элах воккхавийр ву со, суо кӀелхьарвоккхучу Делах сакъералуш хир ву со.</verse>
				<verse number="19">Хьалдолу Эла — сан ницкъ бу. Цо, сан когаш сен когаш санна а бо, со сайн лакхенашкахула а лоьлуьйту! Эшарш лоькхучу тобанан куьйгалхочуьнга: хӀара назма мерз-пондаршца лакха езаш ю.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="36">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">ХӀара бу яхӀудхойн паччахьан Аминан кӀанта Юши-ЯхӀус паччахьалла дечу деношкахь Хушин кӀанте Цапни-ЯхӀуга Везачу Элера кхаьчна болу хаам. Хуши Гадал-ЯхӀун кӀант хилла, ткъа иза Хьузакх-ЯхӀун кӀентан Амар-ЯхӀун кӀант хилла.</verse>
				<verse number="2">«Лаьтта тӀера дерриг хӀума а дӀадойур ду Ас, — боху Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="3">Ас дойур ду адамаш а, хьайбанаш а, иштта стигалара олхазарш а, хӀорда чуьра чӀерий а дойур ду, Ӏесачу нахаца цхьаьна адамаш галболуьйту цӀуш а дӀабохур бу. Ас лаьтта тӀера адамаш хӀаллакдина дӀадохур ду, — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="4">Ас Сайн куьг дерзор ду ЯхӀудан халкъана а, Ярушалайм-гӀалин берриг бахархошна а дуьхьал. Цу меттигера БаӀал-харцдалла Ӏамал еш диснарг хӀаллакдийр ду Ас. Хийрачу динан дайн а, Делах дӀабирзинчу динан дайн а цӀераш кхин цкъа а багах йохур яц.</verse>
				<verse number="5">Тхевнна тӀе хьала а ваьлла, стигалшкахь мел болчу ницкъашна сужда ваханарг хӀорра а хӀаллаквина дӀавоккхур ву Ас. Веза Эла волчу Суна Ӏибадат а деш, тешаме хила чӀагӀо а еш, амма шайн паччахьах чӀагӀонаш йийраш а хӀаллакбина дӀабохур бу Ас.</verse>
				<verse number="6">Веза Эла волчу Суна тӀаьхьахӀиттинчуьра дӀабирзинарш а, иштта Со ца лоьхуш а, Сох дага ца бовлуш леларш а хӀаллакбийр бу Ас».</verse>
				<verse number="7">Хьалдолчу Элана хьалха дист ца хуьлуш дӀасовца! ХӀунда аьлча гергадеана Везачу Элан де. Везачу Эло кечбина сагӀина урс хьакха леринарг, схьакъастийна Ша кхайкхинарш.</verse>
				<verse number="8">«СагӀа доккхучу дийнахь, — боху Везачу Эло, — Ас таӀзар дийр ду элашна а, паччахьан кӀенташна а, массо а хийрачу махкахойн духарш тӀе духучарна а.</verse>
				<verse number="9">Ас таӀзар дийр ду неӀсагӀина тӀехула лелхачарна а, шайн олахочун цӀа къизаллех а, харцонех а дузучарна а.</verse>
				<verse number="10">Оцу дийнахь, — боху Везачу Эло, — ЧӀерийн кевнехь цӀогӀа детташ хезар ду, гӀалин керлачу декъара а узарш хир ду, гунашна тӀера церан дохоран чӀогӀа гӀовгӀа хир ю.</verse>
				<verse number="11">Делха, гӀалин базарш хӀуттучу декъан дахархой, хӀунда аьлча йохкаэцар лелош долу халкъ хӀаллакьхир ду, терзанашца дети узурш а хӀаллакьхир бу.</verse>
				<verse number="12">Оцу заманахь Со, къуьда а лаьцна, Ярушалаймехула хьожуш чекхвер ву. Ас таӀзар дийр ду, шаьш летадечух тоам а беш, шайн даг чохь: „Везачу Эло я дика а, я вон а ца до“, — бохучарна.</verse>
				<verse number="13">Церан хьал хӀонс санна схьадоккхур ду, церан цӀенош а дассор ду. Цара цӀенош дӀахӀиттор ду, амма царна чохь баха ховшур бац уьш, цара кемсийн бошмаш кхиор ю, амма царах даьккхина чагӀар муьйлур дац».</verse>
				<verse number="14">Гергга ду Везачу Элан сийлахь-доккха де. Гергга а ду, чӀогӀа сихделла а догӀу. ЛадогӀал! Везачу Элан де ма къаьхьа белхар ду! Уггар майрачу тӀемалочо а цӀогӀа детташ ду!</verse>
				<verse number="15">И де — оьгӀазаллин де ду, гӀайгӀанан а, гаттаман а де, бохаман а, дассоран а де, боданан а, Ӏаьржаллин а де, мархийн а, дахкаран а де,</verse>
				<verse number="16">коьман маӀа лекхаран а, тӀеман цӀогӀа тохаран а де. ТӀелатарш хир ду чӀагӀйинчу гӀаланашна а, лекхачу бӀаьвнашна а дуьхьал.</verse>
				<verse number="17">Везачу Эло боху: «Адамаш бӀаьрзенаш санна леллал чӀогӀа гӀайгӀанехь латтор ду Ас, Веза Эла волчу Суна дуьхьал цара къинош летийна дела. Церан цӀий, чан санна, дӀасадаржийна хир ду, церан дилха, кхо санна, дӀасакхиссина хир ду».</verse>
				<verse number="18">Церан долахь долчу я детига, я дешига кӀелхьарбахалур бац уьш Везачу Элан оьгӀазаллин дийнахь. Цуьнан эмгараллин цӀеро хӀара дерриге а латта дагийна дӀакхоллур ду. Цо лаьтта тӀехь вехаш волу хӀорра а цӀеххьана кхоччуш дӀавоккхур ву.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Метта а дола, хьо леррина а талла, маьттаза халкъ,</verse>
				<verse number="2">Делан сацам кхочушхилале, Далла тӀедерзаран де, мохо кегаш дӀахьокхуш санна, чекхдер ду, Везачу Элан йогу оьгӀазалла шайна тӀеяле, Везачу Элан дераллин де шайна тӀекхачале.</verse>
				<verse number="3">Лахийша Веза Эла, лаьтта тӀехь шаьш кӀезиг хеташ долчу, Цо тӀедиллинарг кхочушдечу массара а. Нийсонца лелийша, шайн кӀезигалла дагахь латтаейша. Шу кӀелхьардовлийла хила тарло Везачу Элан оьгӀазаллин дийнахь.</verse>
				<verse number="4">Ӏази-гӀала дӀатосур ю, Ашкхилун-гӀала а яссалур ю, Ашдод-гӀалин бахархой лохкур бу дийнан делккъехь, Ӏекхран-гӀала а тӀепаза йовр ю.</verse>
				<verse number="5">Декъаза ду хӀордан йистехь дехаш долу кератхойн халкъ! Везачу Элера болу хӀара хаам хьуна дуьхьал бу, пӀелаштамхойн долахь болу КанаӀан-мохк: «Ас хьо хӀаллакбийр бу, тӀаккха хир бац хьан бахархой».</verse>
				<verse number="6">ХӀордан йистера мохк жаӀушна дежийлаш а, уьстагӀашна гӀотанаш а хилла дӀахӀуттур бу.</verse>
				<verse number="7">И мохк ЯхӀудан цӀийнах бисинчарна кхочур бу. Цигахь церан дежийлаш хир ю. Ашкхилун-гӀалин цӀеношкахь сарахь садоӀуш Ӏийр бу уьш, хӀунда аьлча Везачу Эло, церан Дала, церан аьтто юхаметтахӀоттор бу, уьш Шена дагахь болу дела.</verse>
				<verse number="8">Везачу Эло боху: «Суна схьахезна муабахоша сийсаздар а, Ӏамминхойн лер а. Суна схьахезна царна Сан халкъ дола хетар а, Сан халкъан махка чугӀорта гӀерташ цара дозалла дар а.</verse>
				<verse number="9">Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Ас, — боху Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло, — Муаби-мохк, Седам-гӀала санна, хир бу, ткъа Ӏамминхой, Ӏамор-гӀала санна, хир бу. Церан латта шена тӀехь туьхан оьрнаш долу а, ниттийн долахь йолу а яьсса аре хир ю гуттаренна а. Сан халкъах бисинчара оцу нахах шайна хӀонс схьаоьцур ю, ткъа церан латта Сан долчу халкъах дийна бисинчарна кхочур ду».</verse>
				<verse number="10">Иза царна хир ду церан куралла бахьана долуш — массо а ницкъийн Везачу Элан халкъ царна дола хетарна а, оцу халкъах уьш кхардарна а.</verse>
				<verse number="11">Везачу Эло уьш ларамах бузуьйтур бу, лаьтта тӀехь мел болу деланаш Ша хӀаллакбечу хенахь. ХӀораммо а шен-шен меттехь Цунна Ӏибадат дийр ду, ур-атталла хӀордан йистехь дехаш долчу къаьмнаша а.</verse>
				<verse number="12">Шу а, хушахой, Сан туьро хӀаллакдина хир ду.</verse>
				<verse number="13">Шен куьг къилбаседехьа а кховдийна, Цо Ашур-мохк хӀаллакбийр бу. Нунав-гӀаланах, яссийна саьлнаш а йина, гӀум-аре санна, екъа меттиг йийр ю.</verse>
				<verse number="14">Цигахь царна юккъехь жаш а, бежанаш а, массо а тайпана дийнаташ а хир ду лелаш. Куьйра а, зу а хир ю цуьнан бӀогӀамашна тӀехь буьйсанаш йохуш. Церан аьзнаш корашкахь схьахезар ду. НеӀсагӀанашна тӀехь къапалгаш Ӏохкур ю, ткъа баган-диттан дечиган ханнаш дӀадаьхна хир ду.</verse>
				<verse number="15">Иштта хилла дӀахӀуттур ю йоккхаеш хилла йолу, гӀайгӀа йоцуш яьхна йолу и гӀала. Шен дагахь цо боху: «Со ю, со йоцург цхьа а хӀума дац!» Мел яссийна меттиг хир ю иза, цунах акхаройн бен хир бу! Цунна тӀех мел волучо: «Жолам-яӀ», — олуш, шок а тухур ю, куьйгаш а деттар ду.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">Декъаза ю боьха а, сийсазъяьлла а, гӀело еш йолу а гӀала!</verse>
				<verse number="2">Делан озе ла ца дугӀу цо, ша нисъяйтар тӀе ца оьцу. Иза Везачу Элана тӀе ца тевжа, шен Далла юххе ца гӀерта.</verse>
				<verse number="3">Цуьнан баьччанаш — цунна юккъехь гӀигӀ деш долу лоьмаш санна бу. Цуьнан кхелахой — сарахь арайовлу берзалой санна бу, цхьа а даьӀахк сахуьлунга ца йолуьйтуш йолу.</verse>
				<verse number="4">Цуьнан пайхамарш ларамаза а, ямарта а бу. Цуьнан динан дайша дезаниг сийсаздоккху, товрат-хьехам шайна пайда болчу агӀор хуьйцу цара.</verse>
				<verse number="5">Веза Эла оцу гӀалина юккъехь ву, Иза нийса ву, харцдерг Цо ца до. ХӀора Ӏуьйранна, хийцамаш а ца беш, нийсонца лела Иза, амма харцо ечарна эхь бохург хӀун ду ца хаьа.</verse>
				<verse number="6">Везачу Эло боху: «Ас халкъаш хӀаллакдина, церан чӀагӀонаш йохийна ю. Ас церан урамаш дассийна, хӀинца цхьа а ца лела церан урамашкахула. Церан гӀаланаш хӀаллакйина, цхьа а адам дац, бахархой а бац.</verse>
				<verse number="7">Ас гӀалане бехира: „Соьга ларамах юьзна хилалалахь, Ас хьо нисъяр тӀеэцалахь!“ Иза иштта леллехь, цуьнан Ӏаш йолу меттиг йохийна хир яцара, цунна мел лерина таӀзар Ас дийр дацара. Амма цунна хӀетте а дерриг а шен гӀуллакхашна тӀехь телхина мел дерг дан лаьара.</verse>
				<verse number="8">Иштта, хьежа Соьга, — боху Везачу Эло, — царна дуьхьал тоьшалла дан Со гӀоттур волчу дийне хьежа. Ас билгалдаьккхина халкъаш тӀегулдар а, пачхьалкхаш тӀегулъяр а, Сайн оьгӀазалла царна тӀе Ӏанорхьама а, Сайн чӀогӀа дералла царна тӀе хьажорхьама а. Сан эмгараллин цӀаро дерриг а латта дӀакхоллур ду.</verse>
				<verse number="9">ТӀаккха Ас юха а халкъашна цӀена мотт лур бу, массо а Везачу Эле кхайкхийтархьама а, белшах белш а тоьхна, Цунна гӀуллакх дайтархьама а.</verse>
				<verse number="10">Хуша-мехкан хишна дехьа йолчу меттигашкара а Соьга доӀа дечара, Ас дӀасадаржийначу халкъо, Суна совгӀаташ дахьар ду.</verse>
				<verse number="11">Оцу дийнахь, Сан халкъ, Суна дуьхьал айхьа мел лелийначу гӀуллакхех хьуна эхь хета кхин оьшур дац, хӀунда аьлча оцу хенахь хьуна юкъара шайн кураллех сакъералуш берш Ас дӀабохур бу. Сан безачу лам тӀехь кхин дозаллаш дийр дац ахь.</verse>
				<verse number="12">Амма шуна юкъахь Ас къарделла а, эсала долу а халкъ дуьтур ду, Везачу Эле сатуьйсуш долу.</verse>
				<verse number="13">Исраилан халкъах бисинчара харцонаш лелор яц. Цара харцдерг а дуьйцур дац, церан багара мекара дерг а дер дац. Дежаш а, дуьйшуш а долу уьстагӀий санна, уьш бехаш хир бу, цхьаммо уьш кхерор а боцуш».</verse>
				<verse number="14">Хазахетарца йиш локхуш хила, Цийонан йоӀ! Доккхаде, Исраилан халкъ! Самукъане а хила, даггара сакъералуш а хила Ярушалайм-гӀалин йоӀ!</verse>
				<verse number="15">Везачу Эло таӀзар шуна тӀера дӀадерзийна, шун мостагӀа а эккхийна! Исраилхойн паччахь волу Веза Эла шуна юкъахь ву — шайна бохамаш барх шу кхин кхера ца деза.</verse>
				<verse number="16">Цу дийнахь Ярушалайме иштта эр ду: «Ма кхера, ва Цийон! Хьайн куьйгаш гӀел ма далийта!</verse>
				<verse number="17">Шун Веза Дела шуна юкъахь ву, Иза шу кӀелхьардоху тӀемало ву. Шух сакъералуш воккхавер ву Иза, Шен безамца шу карладохур ду Цо, шух воккха а веш, йиш локхур ю Цо».</verse>
				<verse number="18">Везачу Эло боху: «Билгалдаьхна долу деза денош даздан ца ларийна халахетачарах лаьцна аьлча, царах хӀонс хиллехь а, уьш сийсазбинехь а, Ас уьш юха схьагулбийр бу.</verse>
				<verse number="19">Хьуна гӀело мел йиначарна таӀзар дийр ду Ас оцу хенахь. АстагӀа леларш кӀелхьарбохур бу, дӀасабаржийнарш тӀегулбийр бу. Ас уьш лоруьйтур бу, гӀарабохур бу уьш сийсазбохучу хӀокху дерриге а лаьтта тӀехь.</verse>
				<verse number="20">Оцу хенахь Ас шу схьа а далор ду, оццу дийнахь схьа а гулдийр ду. Ас шу гӀарадохур а ду, лоруьйтур а ду лаьтта тӀера массо а халкъашна юкъахь, Ас шун бӀаьргашна хьалха шун аьтто юхаметтахӀоттийначу хенахь», — боху Везачу Эло.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="37">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">Дари-Ваша-паччахьо паччахьалла динчу шолгӀачу шеран, йолхалгӀачу беттан, хьалхарчу дийнахь Хьагай-пайхамарехула Везачу Элан хаам кхечира. И хаам ЯхӀуд-мехкан мехкада волчу Шалтаалан кӀанте Зурбабелна а, коьрта динан да волчу ЯхӀу-ЦӀадакъан кӀанте ЮшаӀана а лерина бара.</verse>
				<verse number="2">Иштта элира массо а ницкъийн Везачу Эло: «Кху халкъо боху: „Везачу Элан цӀа до хан хӀинца а ца кхаьчна“».</verse>
				<verse number="3">Хьагай-пайхамарехула халкъе Везачу Элера хӀара хаам кхечира:</verse>
				<verse number="4">«Ткъа, хӀара Сан цӀа дассийна лаьттачу хенахь, куц а далош, шаьш динчу цӀеношкахь шу Ӏан мегаш йолу хан тӀекхаьчний?</verse>
				<verse number="5">Цундела хӀинца иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Шайн дегнаш леррина тӀедерзаде шаьш бечу некъаш тӀе.</verse>
				<verse number="6">Аша дуккха а дӀадоь, амма кӀеззиг схьагулдо. Аша юург йоу, амма шу дуза а ца дузу. Аша мала а молу, амма шу хьогах дуьсу. Аша тӀе бедарш юху, амма шу дох ца ло. Аша доккху алапа Ӏуьрг долчу кисана доьду“.</verse>
				<verse number="7">Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Шайн дегнаш леррина тӀедерзаде шаьш бечу некъаш тӀе.</verse>
				<verse number="8">Лаьмнаш тӀе а довлий, дитташ а хедадай, уьш схьада, тӀаккха Делан цӀа юхаметтахӀоттаде. И гӀуллакх Суна хаза а хетар ду, иштта Сан сий а ойур ду“, — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="9">„Аша дуккха а долчу хӀумане сатуьйсу, амма кӀеззиг бен ца хуьлу шуна. Ткъа аша шайн цӀа деанарг, Аса Сайн садеӀарца дӀадаьккхина. ХӀунда ду иза иштта? — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. — Шу хӀорра а, сихло, шайн-шайн цӀа доьлхучу хенахь, Сан цӀа хӀинца а доьхна лаьтта дела ду иза.</verse>
				<verse number="10">И бахьанехь стигал а дӀакъовлаелла, шуна тхи а ца луш. Лаьтто ялта а ца ло шуна.</verse>
				<verse number="11">Аса лаьттахь а, лаьмнаш тӀехь а йокъа хӀоттийра. И йокъа бахьана долуш ялта а ца хилла, керла чагӀар а ца даьлла, зайтдаьтта а ца даьккхина, лаьтто мел кхиош дерг хьала а ца даьлла. Йокъано талхийна лаьтташ ду адамаш а, бежанаш а, шайн куьйгашца аша къа мел хьегнарг а“».</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха Шалтаалан кӀанта Зурбабела а, ЯхӀу-ЦӀадакъан кӀанта коьрта динан да волчу ЮшаӀа а, дисинчу дерриге а халкъо а шайн Везачу Делан озе ладуьйгӀира. Хьагай-пайхамаро шайна бинчу хааме ладуьйгӀира цара, хӀунда аьлча Хьагай церан Везачу Дала схьаваийтина вара. Везачу Эле ларамах дуьзна дара халкъ.</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха Везачу Элан геланча волчу Хьагайс Везачу Элера болу хӀара хаам бира халкъе: «„Со шуьца ву!“ — боху Везачу Эло».</verse>
				<verse number="14">ЯхӀуд-мехкан мехкада волчу Шалтаалан кӀентан Зурбабелан а, коьрта динан да волчу ЯхӀу-ЦӀадакъан кӀентан ЮшаӀан а са а, дисинчу халкъан са а иракарахӀоттийра Везачу Эло. Уьш, схьа а баьхкина, шайн Делан, массо а ницкъийн Везачу Элан цӀийнаца боьзна белхаш бан буьйлабелира.</verse>
				<verse number="15">Иза дара Дари-Ваша-паччахьо паччахьалла динчу шолгӀачу шеран йолхалгӀачу беттан ткъе доьалгӀачу дийнахь.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">ВорхӀалгӀачу беттан ткъе хьалхарчу дийнахь Хьагай-пайхамарехула Везачу Элера хӀара хаам кхечира:</verse>
				<verse number="2">«ХӀинца иштта дӀаала ЯхӀуд-мехкан мехкада волчу Шалтаалан кӀанте Зурбабеле а, коьрта динан да волчу ЯхӀу-ЦӀадакъан кӀанте ЮшаӀе а, дисинчу халкъе а:</verse>
				<verse number="3">„Мила висина шуна юкъахь, хӀара цӀа цуьнан хьалха хиллачу сийлаллехь гина верг? Ткъа хӀинца муха гуш ду шуна хӀара? Шун бӀаьргашна хьалха цхьа а доцург ца хилла ткъа цунах?</verse>
				<verse number="4">ХӀинца доьналла долуш хила, Зурбабел, — боху Везачу Эло, — доьналла долуш хила, коьрта динан да волу ЮшаӀ, ЯхӀу-ЦӀадакъан кӀант! Доьналла долуш хила лаьтта тӀехь мел долу халкъ! — боху Везачу Эло. — Белхаш бе, хӀунда аьлча Со шуьца ву, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="5">Шу Мисар-махкара арадовлуш Ас шуна йинчу чӀагӀоне хьаьжжина ду иза. Сан Са кхидӀа а шуна юкъахь дуьсур ду, цундела ма кхералаш!“»</verse>
				<verse number="6">Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Кхин а цкъа, иза-м кестта хир долуш ду, Ас стигал а, латта а, хӀорд а, екъа меттигаш а егор ю.</verse>
				<verse number="7">Ас дерриг а халкъаш а дегор ду, ткъа массо а халкъашна езаш йолу еза хӀуманаш кхуза яхьар ю. ХӀара цӀа сийлаллах дузур ду Ас, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="8">Дети а, деши а Сан ду, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="9">ХӀокху керлачу Делан цӀийнан сийлалла хьалхалерчу цӀийнан чул а лакхаер ю, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. — ХӀокху меттехь лур бу Ас машар, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло».</verse>
				<verse number="10">Дари-Вашас паччахьалла дечу шолгӀачу шеран уьссалгӀачу беттан ткъе доьалгӀачу дийнахь Хьагай-пайхамаре Везачу Элера хаам кхечира.</verse>
				<verse number="11">«Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Товрат-хьехамах лаьцна динан дайшка хаттарш а де, иштта дӀа а ала:</verse>
				<verse number="12">‘Нагахь санна цхьамма шен бедаран юьха чохь Далла лерина даздина долу жижиг дахьачу хенахь, цуьнан юх баьпках, я кхехкийна йолчу хӀуманах, я чагӀарх, я зайтдаьттанах, я кхин йолчу юучух дӀахьакхалахь, — иза даздина хир дуй те?’“» Динан дайша жоп делира: «Дац», — аьлла.</verse>
				<verse number="13">Цул тӀаьхьа Хьагайс иштта хаьттира: «Нагахь санна оцу хӀуманех, докъах куьг тоьхна Далла хьалха бехвелларг дӀахьакхалахь, уьш бехъелла хир юй те?» Динан дайша жоп делира: «Бехъелла хир ю», — аьлла.</verse>
				<verse number="14">ТӀаккха Хьагай-пайхамаро, жоп а луш, иштта элира: «Иштта ду хӀара халкъ, иштта ду Суна хьалха хӀара къам, — боху Везачу Эло, — иштта ду церан куьйгаша мел деш долу гӀуллакхаш а! Цара Суна цигахь мел доккху сагӀа Суна хьалха боьха ду».</verse>
				<verse number="15">«ХӀинца, таханлерчу дийнахь дуьйна, кхидӀа а леррина ойла ейша ас олучун. ТӀулга тӀе тӀулг а хӀоттош, Везачу Элан цӀа юхаметтахӀотто шу дуьйладалале, иштта нислора:</verse>
				<verse number="16">ткъа сахь кӀа даккха дагахь волу стаг кӀен оьланна тӀевеача, цунна цигахь итт сахь бен ца карадора. Пхи черма мутта схьаэца дагахь муттдоккхургана тӀевеанчунна цу чохь ши черма бен ца карадора.</verse>
				<verse number="17">Шун куьйгаша мел динчунна Ас кӀен кӀора а, мекха лацар а, къора тохар а нисдолуьйтура. Амма тӀаккха а Суна тӀе ца доьрзура шу, — боху Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="18">Леррина ойла ейша таханлерчу дийнахь дуьйна, уьссалгӀачу беттан ткъе доьалгӀачу дийнахь дуьйна. Везачу Элан цӀийнан бух дӀахӀоттийначу дийнера дуьйна хиллачун леррина ойла ейша.</verse>
				<verse number="19">Дуй те хӀинца а ялтийн чоьнаш чохь хӀу? Я кемсийн таьлланго, я инжир-дитто, я нар-дитто, я зайт-дитто хӀинца а стом ца беллера. Таханлерчу дийнахь дуьйна Ас шу декъалдийр ду».</verse>
				<verse number="20">ХӀокху беттан ткъе доьалгӀачу дийнахь шолгӀа а Хьагай-пайхамаре Везачу Элера хаам кхечира:</verse>
				<verse number="21">«ЯхӀуд-мехкан мехкада волчу Зурбабеле иштта дӀаала: „Аса стигалш а, латта а дегор ду.</verse>
				<verse number="22">Ас харцор ду паччахьийн гӀанташ, хӀаллакбийр бу хийрачу пачхьалкхийн ницкъ. Ас гӀудалкхаш а, царна тӀе хевшинарш а харцор бу. Говраш охьаоьгур ю, церан дошлоша вовшийн таррашца хӀаллакбийр бу.</verse>
				<verse number="23">Оцу дийнахь, — боху Везачу Эло, — хьо, Сан ялхо, Шалтаалан кӀант Зурбабел, Ас, схьа а эцна, Сан пӀелга тӀехь долу мухӀар санна латтор ву, хӀунда аьлча хьо Ас къастийна ву, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло“».</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="38">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">Дари-Ваша-паччахьо куьйгалла дечу шолгӀачу шеран борхӀалгӀачу баттахь Ӏидун кӀант волчу Барак-ЯхӀун кӀанте Закри-ЯхӀу-пайхамаре Везачу Элан хӀара дош кхечира:</verse>
				<verse number="2">«Веза Эла волу Со шун дайшна буьрсачу луьраллица оьгӀазвахана.</verse>
				<verse number="3">ХӀинца ахь, Закри-ЯхӀу, нахе иштта дӀаала: „Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: ‘Суна тӀедерза, тӀаккха Со а шуьгахьа воьрзур ву.</verse>
				<verse number="4">Шайн дай санна ма хилийша, хьалха дуьйна пайхамарша дехарш дина болу: ‹Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: юхадовла шайн зуламечу некъаш тӀера а, шайн зуламечу гӀуллакхашна тӀера а›. Амма цара Соьга ла а ца дугӀура, Ас бохуш долчун тергам а ца бора’“, — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="5">Шун дай — уьш мичахь бу? Пайхамарш а бехар буй те даим?</verse>
				<verse number="6">Сан ялхой болчу пайхамаршкахула Ас тӀедиллина долу Сан дешнийн а, парзийн а тергам ца бина дела, шун дай жоьпе озийна! ТӀаккха шун дай Суна тӀе а боьрзура, цара иштта а олура: „Массо а ницкъийн Везачу Эло, тхан некъашка а, тхан гӀуллакхашка а хьаьжжина, Ша тхуна дан билгалдаьккхинарг дина тхуна“».</verse>
				<verse number="7">ЦхьайтталгӀачу беттан ткъе доьалгӀачу дийнахь — иза шабат олу бутт бу, — Дари-Ваша-паччахьо куьйгалла дечу шолгӀачу шарахь Ӏидун кӀант волчу Барак-ЯхӀун кӀанте Закри-ЯхӀу-пайхамаре Везачу Элан дош кхечира.</verse>
				<verse number="8">Буьйсанна хӀара сурт хӀоьттира суна: расхачу динна тӀехиъна Ӏаш волчу беречо боьранехь йолчу коьллашна юкъахь дин сацийнера. Оцу динна тӀехьа кхидолу дой дара — расха а, сира а, кӀайн а беснаш долу.</verse>
				<verse number="9">Ас хаьттира: «Сан олахо, уьш муьлш бу?» — аьлла. Соьца къамел деш долчу малико элира: «Ас гойтур ду хьуна уьш муьлш бу».</verse>
				<verse number="10">Коьллашна юкъахь волу бере вистхилира: «Уьш Везачу Эло массо а лаьттахула дӀасалела а, тергам бан а бахийтинарш бу», — аьлла.</verse>
				<verse number="11">Цара коьллашна юкъахь расхачу динна тӀехиъна Ӏаш долчу Везачу Элан Малике иштта жамӀ дира: «Тхо лаьтта тӀехула дӀасалийлира, ткъа дерриг а дуьнен тӀехь адамаш гӀорасиза а, муьтӀахь а ду».</verse>
				<verse number="12">Везачу Элан Малико элира: «Массо а ницкъийн Веза Эла! Мел Ӏийр ву те Хьо оьгӀазвахана, Ярушалайм-гӀаланах а, ЯхӀуд-мехкан гӀаланех а къинхетам ца беш, Ахь царна таӀзар дина кхузткъе итт шо даьллашехь?»</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха, малике жоп а луш, Везачу Эло дика а, дог тедеш долу а дешнаш элира.</verse>
				<verse number="14">Соьца къамел деш долчу малико соьга хӀара элира: «ДӀа а кхайкхаде, дӀа а ала: „Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: ‘Ярушалайме а, Цийоне а болчу боккхачу безамах вуьзна ву Со.</verse>
				<verse number="15">Инзаре йоккхачу дераллица оьгӀазвахана Со паргӀат дехачу дегалчу халкъашна, хӀунда аьлча Сайн халкъана Ас лерина йолу оьгӀазло кӀезиг хиллехь а, Аса шайгахула таӀзар дайтича, цара Суна лиъначул а сов ницкъ бина Сан халкъана’.</verse>
				<verse number="16">Цундела Везачу Эло иштта боху: ‘Со Ярушалайм-гӀала юхавоьрзур ву, цунах къинхетам бархьама. Цигахь Сан цӀа юхаметтахӀуттур ду — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. — Ярушалайм-гӀаланах чекхъер ю латта дусту тӀийраг’“.</verse>
				<verse number="17">Кхайкхош, кхидӀа а дӀаала: „Везачу Эло иштта боху: ‘Сан гӀаланаш юха а хьолах юзур ю. Везачу Эло юха а Цийон-ломан дог а оьцур ду, Ярушалайм-гӀала къастор а ю’“».</verse>
				<verse number="18">Юха, сайн бӀаьргаш ас хьалахьажийча, суна йиъ маӀа гира.</verse>
				<verse number="19">Соьца къамел деш долчу малике: «Уьш хӀун ю?» — аьлла, хаьттира ас. Цо соьга жоп делира: «Уьш ЯхӀуд-мехкан а, Исраил-мехкан а, Ярушалайм-гӀалин а нах дӀасабаржийна долу дуьненара нуьцкъала халкъаш ду», — аьлла.</verse>
				<verse number="20">Цул тӀаьхьа Везачу Эло виъ аьчк-пхьар гайтира.</verse>
				<verse number="21">«Уьш хӀун дан схьабогӀуш бу?» — аьлла, хаьттира ас. Цо соьга иштта жоп делира: «МаӀаш йолчу оцу халкъаша ЯхӀуд-мехкан бахархой дӀасалаьхкина, цхьа а адам корта хьалаайа ца даьххьачу кепара, ткъа хӀорш уьш кхеро схьабаьхкина, яхӀудхошна дуьхьал маӀаш хьалаайъинчу халкъийн маӀаш йохийна дӀаяхархьама».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Ас сайн бӀаьргаш юха а хьалахьажийча, суна хӀара гира: шен карахь латта дусту тӀийраг йолу цхьа стаг вара лаьтташ.</verse>
				<verse number="2">Ас хаьттира: «Хьо стенга воьду?» — аьлла. Цо жоп делира: «Ярушалайм-гӀала юста воьду, цуьнан шоралла а, йохалла а мел ю хаархьама».</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха соьга дистхуьлуш долу малик араделира, ткъа кхин малик дуьхьал догӀуш дара.</verse>
				<verse number="4">Цо кхуьнга элира: «Сихха дадий, гӀо! Оцу къоначу стаге дӀаала: „Цигахь дуккха а адамаш а, бежанаш а Ӏаш хиларна, Ярушалаймах пен боцу гӀала хир ю.</verse>
				<verse number="5">Ткъа Со, — боху Везачу Эло, — Ярушалайм-гӀалина гонах цӀеран пен а хилла дӀахӀуттур а ву, гӀала Сайн сийлаллех юзор а ю Аса“».</verse>
				<verse number="6">«Варелаш! ДӀадовдалаш къилбаседерчу махкара, стигалан мох хьоькхучу еа а агӀор шу дӀасадаржийнера Ас, — боху Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="7">ЦӀера Цийонера долу къам, варелахь! Бавел-гӀала йийсаре дӀадигна долу хьо, дедда кӀелхьардала!»</verse>
				<verse number="8">Шен сийлаллица со вахийтинчул тӀаьхьа, массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху Шен халкъана талораш динчу халкъашка: «Сан халкъах дӀа мел хьакхавелларг уггар беза болчу Сан йоӀбӀаьргах дӀахьакхавелла.</verse>
				<verse number="9">Ас хӀинца Сайн куьг царна дуьхьал хьалаойур ду, тӀаккха хьалха шайн ялхой хиллачарна хӀонс хилла дӀахӀуьттур бу уьш». Иштта хуур ду шуна, со массо а ницкъийн Везачу Эло ваийтинийла.</verse>
				<verse number="10">«Йоккхае, самукъане хила, Цийонан йоӀ! ХӀунда аьлча Со, дӀа а веана, шуна юкъахь вехар ву, — боху Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="11">Оцу дийнахь дукха халкъаш тӀедоьрзур ду Везачу Элана. Сан халкъ а хилла дӀахӀуьттур ду уьш. Со шуна юкъахь вехар ву. ТӀаккха хуур ду шуна Закри-ЯхӀу-пайхамар шайна тӀе массо а ницкъийн Везачу Эло ваийтинийла.</verse>
				<verse number="12">Везачу Эло ЯхӀудан халкъ Шен дола доккхур ду, и халкъ дезачу лаьтта тӀера Шен дакъа долу дела, ткъа Ярушалайм-гӀала юха а къастийна хир ю».</verse>
				<verse number="13">ДӀасаца муьлхха а садолу хӀума Везачу Элана хьалха! ХӀунда аьлча Иза Шен дезачу цӀа чуьра араволуш ву.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">Везачу Эло соьга Шен Маликана хьалха лаьтташ волу коьрта динан да волу ЮшаӀ а, иза бехкевархьама цунна аьтту агӀор лаьтташ долу шайтӀа а схьагайтира.</verse>
				<verse number="2">Везачу Эло элира шайтӀане: «Ва шайтӀа! Везачу Эло дистхилар доьхкийла хьуна! Ярушалайм-гӀала хаьржинчу Везачу Эло доьхкийла хьуна! ЦӀерана юкъара схьакхоьссина йолу яьгна дечиг-м яц те и стаг?»</verse>
				<verse number="3">Ткъа ЮшаӀ боьхачу бедаршца лаьтташ вара маликана хьалха.</verse>
				<verse number="4">Малико, жоп а луш, шена хьалха лаьттачаьрга иштта элира: «ДӀаяха цунна тӀера боьха бедарш». Ткъа ЮшаӀе иштта элира: «Хьажал, хьуна тӀера къа дӀа а даьккхина, ас хьуна тӀе хаза духарш духур ду».</verse>
				<verse number="5">Вист а хуьлуш, ас элира: «Цуьнан коьрта тӀе цӀена чалба тилла». Цуьнан коьрта тӀе цӀена чалба тиллира, дегӀа тӀе духарш дуьйхира. Ткъа Везачу Элан Малик лаьтташ дара.</verse>
				<verse number="6">Везачу Элан Малико тоьшалла а дира, ЮшаӀе иштта дӀа а элира:</verse>
				<verse number="7">«Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Нагахь санна Сан некъашца хьо лелар велахь, нагахь санна Сан парзаш ахь лардахь, Сан цӀенна тӀехь куьйгалла деш а хир ву хьо, Сан керташна тӀехьожуш а хир ву. Ас хьуна бакъо лур ю Со волчу ван, кхузахь лаьтташ берш Со волчу ма-бахккара.</verse>
				<verse number="8">ЛадогӀал, коьрта динан да волу ЮшаӀ — ахьа а, хьуна хьалха охьахевшина Ӏаш болчу динан дайша а. Диканиг хирг хиларан билгалонаш ю шу. Ас схьавалор ву Сайн ялхо, Айса кхиийна зӀийдаг.</verse>
				<verse number="9">Хьажал, Ас ЮшаӀана хьалха охьабиллина хӀара беза тӀулг, шена тӀехь ворхӀ агӀо йолу! Ас-Айса, тӀулг хадош, цу тӀехь йоза яздийр ду, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. — Ткъа цхьана дийнан муьрехь дӀадоккхур ду Ас хӀокху лаьттан къа.</verse>
				<verse number="10">Оцу дийнахь, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло, — шух хӀораммо а шайн кемсана а, инжир-диттана а кӀелахь Ӏа шайн уллораниг хьошалгӀа кхойкхур ву“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">Соьга дистхуьлучу малико, юха а деана, со самаваьккхира, набарха самадоккху адам санна.</verse>
				<verse number="2">Цо соьга хаьттира: «ХӀун го хьуна?» — аьлла. Ас жоп делира: «Берриг а деших бина болу стогар а, цунна тӀехула зайтдаьттанна дӀахӀоттийна кад а, цунна тӀехь болу ворхӀ къуьда а, цунна тӀехь болчу къуьданийн ворхӀ-ворхӀ милт чухӀотто меттиг а.</verse>
				<verse number="3">Стогарна уллохь ши зайт-дитт а ду, цхьаъ кедана аьтто агӀор, ткъа важа цуьнан аьрру агӀор».</verse>
				<verse number="4">Жоп а делла, сайца къамел дечу малике хаттар дира ас: «Сан олахо, иза хӀун ду?» — аьлла.</verse>
				<verse number="5">Соьца къамел дечу малико, соьга жоп а луш, элира: «Хьуна ца хаьа, иза хӀун ду?» «Сан олахо, ца хаьа суна-м», — элира ас.</verse>
				<verse number="6">Соьга жоп а луш, цо элира: «Иза Везачу Элан дош ду, Зурбабеле аьлла долу. Цу дашо боху: „Эскарца а, ницкъаца а доцуш, ткъа Сан Синца, — боху массо а ницкъийн Везачу Дала. —</verse>
				<verse number="7">Ва боккха лам, хьо хӀун ю? Зурбабелана хьалха хьох шера аре хир ма ю! Цо тӀаьххьара тӀулг буьллучу хенахь, наха гӀовгӀа йоккхур ю: ‘Далла бу хастам! Цуьнан дикачун дуьхьа ду иза!’ — бохуш“».</verse>
				<verse number="8">Соьга Везачу Элан дош кхечира:</verse>
				<verse number="9">«Кху Делан цӀийнан бух Зурбабелан куьйгаша дӀахӀоттийна, цуьнан куьйгаша хӀара цӀа чекх а доккхур ду. ТӀаккха Зурбабел волчу хьуна хуур ду массо а ницкъийн Везачу Эло Закри-ЯхӀу-пайхамар хьан халкъана тӀе ваийтинийла.</verse>
				<verse number="10">КӀеззиг болх бен ца болийна де хьанна дегаза хетар ду те? Зурбабелан карахь санисбийриг шайна гича, нах самукъадаьлла хир бу. Ткъа хӀокху ворхӀ чиркхах лаьцна аьлча, уьш Везачу Элан бӀаьргаш бу, массо а лаьттахула хьоьжуш болу».</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха цунна дуьхьал хаттар дира ас: «ХӀун маьӀна ду стогаран аьтту а, аьрру а агӀор долчу шина зайт-диттан?»</verse>
				<verse number="12">ШозлагӀа а хаьттира ас: «ХӀун маьӀна долуш ду шина дашочу биргӀанна чуьра дашо даьтта охьаӀеночу зайт-диттан ши га?»</verse>
				<verse number="13">Цо соьга элира: «Хьуна ца хаьа, иза хӀун ду?» Ас жоп делира: «Сан олахо, ца хаьа суна-м», — аьлла.</verse>
				<verse number="14">ТӀаккха цо хӀара дешнаш элира: «Дерриге а дуьненан Олахочунна гӀуллакх дайтархьама, зайтдаьтта доттарца къобалвина волу шиъ ву уьш».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">Ас сайн бӀаьргаш юха а хьалахьажийра: стигалахь лелаш схьадаржийна тептар дара.</verse>
				<verse number="2">Малико соьга хаьттира: «ХӀун го хьуна?» — аьлла. Ас жоп делира: «Стигалахь лелаш схьадаржийна тептар го суна. Цуьнан йохалла ткъа дол ду, шоралла итт дол ду».</verse>
				<verse number="3">Малико соьга элира: «Цунна тӀехь яздина ду берриге а ЯхӀуд-махка тӀехь болчарна тӀедогӀу неӀалт. ХӀунда аьлча лачкъош мел верг дӀаваьккхина хир ву, цхьана агӀор яздина ма-дарра, харц дуй бууш мел верг а дӀаваьккхина хир ву, вукху агӀор яздина ма-дарра».</verse>
				<verse number="4">«Ас дӀакхайкхадайтина тептар тӀехь долу и неӀалт, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. — Иза хӀора къуьнан цӀа чу а кхочур ду, Сан цӀе а йохуш, харц дуй буучун чохь а хир ду. И стаг а, цуьнан дитташ а, цуьнан тӀулгаш а хӀаллакдина хир ду».</verse>
				<verse number="5">Сехьа а даьлла, соьга дистхуьлучу малико элира: «Юха а хьайн бӀаьргаш хьала а айабай, арадолург хӀун ду хьажал».</verse>
				<verse number="6">«И хӀун ду?» — аьлла, ас шега хаьттича, цо элира: «И арадолург черма ду. Иза берриг а махка тӀехь болчеран зулам ду».</verse>
				<verse number="7">Оцу хенахь дошах дина цуьнан негӀар хьалаайира. Черман чу хиъна цхьа зуда яра.</verse>
				<verse number="8">Малико элира: «И зуда — еккъа Ӏесалла ю». Иза а аьлла, цо и зуда черман юккъе кхоьссира, ткъа черманна тӀе дошан негӀар кхоьссира.</verse>
				<verse number="9">Сайн бӀаьргаш хьалахьажийра ас. Суна гинарг хӀара дара: ши зуда гучуелира, церан тӀемашца мох бара, ткъа церан тӀемаш чӀерийдохучун тӀемаш санна дара. Цара и черма, хьала а айина, стигална а, лаьттана а юккъехула дӀадаьхьира.</verse>
				<verse number="10">«Стенга дӀахьош ду цара и черма?» — хаьттира ас сайга дистхуьлучу малике.</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха цо соьга иштта элира: «ШанӀар-махка дӀахьош ду, цигарчу лаьтта тӀехь цунна Ӏибадат даран цӀа дархьама. Ткъа и дерриг а кечдина даьлча, иза цигахь шен бух тӀе дӀахӀоттор ду, нахе цунна Ӏибадат дайтархьама».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="6">
				<verse number="1">Ас сайн бӀаьргаш юха а хьалахьажийча, суна хӀара сурт го: шина ломана юккъерачу чӀожа чуьра арайолуш йиъ гӀудалкх ю, ткъа и лаьмнаш — йоьзан лаьмнаш ду.</verse>
				<verse number="2">Хьалхарчу гӀудалкхахь расха говраш ю, шолгӀачу гӀудалкхахь Ӏаьржа говраш ю,</verse>
				<verse number="3">кхозлагӀчу гӀудалкхахь кӀайн говраш ю, ткъа йоьалгӀачу гӀудалкхахь сира говраш ю. Уьш ерриш а онда говраш ю.</verse>
				<verse number="4">Сайга дистхуьлучу малике къамел дӀа а долош, ас элира: «Сан олахо, иза хӀун ду?»</verse>
				<verse number="5">Малико соьга жоп делира: «Уьш стигалара арабуьйлу биъ мох бу, дерриге а дуьненан Олахочунна хьалха дӀахӀиттинчул тӀаьхьа араболуш болу».</verse>
				<verse number="6">Ӏаьржа говраш шайгахь йолу гӀудалкх къилбаседерчу махкахьа арайолуш ю, кӀайн говраш малхбузехьа йовлуш ю, ткъа сира говраш къилбехьа йоьдуш ю.</verse>
				<verse number="7">Онда говраш, араевлча, лаьтта тӀехула чекхйовла лууш яра. Малико элира: «Чекхйовла лаьттах». Уьш лаьттах чекх а евлира, цара тергам а бира.</verse>
				<verse number="8">ТӀаккха, со дӀа а кхайкхина, цо элира: «Хьажал, къилбаседерчу лаьтта тӀе араевллачу говраша цигахь хилла йолу Сан дералла дӀаяьккхина».</verse>
				<verse number="9">Соьга Везачу Элан дош кхечира:</verse>
				<verse number="10">«ХӀокху дийнахь хьо-хьуо Цапни-ЯхӀун кӀентан Юши-ЯхӀун цӀа ваха веза. Бавел-махкахь болчу йийсарехь болчаьргара хӀинцца юхабирзинчу Хьелдайгара а, ТӀуби-ЯхӀугара а, ЯдаӀ-ЯхӀугара а совгӀат схьаоьцур ду ахь цигахь.</verse>
				<verse number="11">Цара хьайга делла детий, деший схьа а эций, таж а дай, иза коьрта динан да волчу ЯхӀу-ЦӀадакъан кӀентан ЮшаӀан коьрта тӀе дилла.</verse>
				<verse number="12">Цуьнга дӀаала, — иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Хьажал, ЗӀийдаг цӀе йолчу хӀокху стага ша волчохь зӀийдаг хьалакхиор ю, Везачу Элан цӀа юхаметтахӀоттор ду цо.</verse>
				<verse number="13">Везачу Элан цӀа дӀахӀоттон верг иза хир ву. Паччахьан сийлалла тӀеоьцун верг а иза хир ву, паччахьан гӀанта тӀехь олалла а дийр ду цо. Цуьнан паччахьан гӀанта уллохь коьрта динан да хир ву, ткъа цунна а, вукхунна а юкъахь барт а, машар а лаьттар бу“.</verse>
				<verse number="14">Ткъа и таж Везачу Элан цӀа чохь хир ду, Хьелдай а, ТӀуби-ЯхӀу а, ЯдаӀ-ЯхӀу а дагаваийтархьама а, Цапни-ЯхӀун кӀанта Юши-ЯхӀус дина дика дагадаийтархьама а.</verse>
				<verse number="15">Геннахь дехаш долу адамаш кхуза схьаоьхур ду, Везачу Элан цӀа юхаметтахӀоттош дакъалоцур ду цара. Шуна а хуур ду со шайна тӀе массо а ницкъийн Везачу Эло ваийтинийла. Иза хир ду, нагахь санна шайн Везачу Делан озе аша леррина ладогӀахь».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="7">
				<verse number="1">Дари-Ваша-паччахьо куьйгалла дечу доьалгӀачу шеран уьссалгӀачу беттан — цунах Кислав олу — доьалгӀачу дийнахь Закри-ЯхӀуга Везачу Элан дош кхечира.</verse>
				<verse number="2">2-3 Бетал-Шар-Эцара дӀаваийтинера РегӀам-Малик а, цуьнан нах а массо а ницкъийн Везачу Элан цӀа долчу, Веза Эла шайца дика хир вуй те аьлла хаттийтархьама. Цара цигахь динан дайшка а, пайхамаршка а хаттар дира: «Дуккха а шерашкахь тхаьш ма-дарра, делха а, пхоьалгӀачу баттахь марханаш кхаба а дезий те оха?» — аьлла.</verse>
				<verse number="3">***</verse>
				<verse number="4">ТӀаккха соьга массо а ницкъийн Везачу Элан дош кхечира:</verse>
				<verse number="5">«ХӀокху лаьтта тӀера дерриге а халкъе а, динан дайшка а иштта дӀаала: „Шаьш, делха а доьлхуш, шеран пхоьалгӀачу а, ворхӀалгӀачу а беттанашкахь марханаш кхобуш (иза аша деш долу-м кхузткъе итт шо ду), Сан дуьхьа-м ца кхобура аша и марханаш? Сан дуьхьа дара те иза?</verse>
				<verse number="6">Шаьш хӀума юуш, шаьш молуш шайн дуьхьа ца йоу аша, шайн дуьхьа ца молу аша?“</verse>
				<verse number="7">Хьалхалерчу пайхамаршкахула а изза дешнаш дацара Везачу Эло дӀакхайкхош дерш, Ярушалайм-гӀала адамех юьзна а, маьрша а йолуш, цунна гонахарчу ярташкахь а, къилбехьарчу НегӀаб-аренгахь а, малхбузерачу акъарешкахь а адамаш дехачу хенахь?»</verse>
				<verse number="8">Везачу Элан дош кхечира Закри-ЯхӀуга:</verse>
				<verse number="9">«Массо а ницкъийн Везачу Эло хӀетахь иштта элира: „Нийса кхел а елаш, вовшех къахеташ а, дог лозуш а хилалаш.</verse>
				<verse number="10">Йисинчу зудчунна а, бо берана а, тӀевеанчунна а, мискачунна а гӀело ма елаш. Шайн даг чу вовшашна дуьхьал зулам дар дага ма тасийталаш“.</verse>
				<verse number="11">Амма Сан тидам бан ца лаьара царна, Сох дӀабоьрзура уьш, шайн лергаш дӀакъовлура цара, Со шайна ца хазийта.</verse>
				<verse number="12">Шайн дегнаш чӀагӀдира цара, массо а ницкъийн Везачу Эло Шен Синца хьалхалерчу пайхамаршкахула боуьйту хьехам а, дешнаш а ца хазархьама. Цундела тӀееана царна массо а ницкъийн Везачу Элан йоккха оьгӀазло.</verse>
				<verse number="13">Иштта хилира: „Ас кхойкхуш цара ла ца догӀаре терра, цара кхойкхуш Аса а ла ца дугӀура“, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="14">Цундела, дарцо санна, Ас дӀасабаржийра уьш царна ца девзачу халкъашна юкъахь. Царал тӀаьхьа и латта дассаделла дисира, цхьа а цунна тӀехула дӀаса а ца лелаш. Иштта цара оцу хазачу махках бассийна мохк бира».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="8">
				<verse number="1">Массо а ницкъийн Везачу Элан дош кхечира соьга:</verse>
				<verse number="2">«Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Боккхачу безамах вуьзна ву Со Цийоне. Цу гӀалин мостагӀашка йолчу чӀогӀачу оьгӀазаллех вуьзна ву Со“.</verse>
				<verse number="3">Везачу Эло иштта боху: „Цийон-лома тӀе юха а вирзина, Со Ярушалаймехь вехар ву. Ярушалаймах тешаме гӀала эр ду, ткъа массо а ницкъийн Везачу Элан ломах — беза лам эр ду“.</verse>
				<verse number="4">Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Баккхий нах а, баккхий зударий а юха а Ярушалайман урамашкахь хевшина Ӏийр бу, шаьш баккхий хиларна Ӏасанаш кара а лаьцна.</verse>
				<verse number="5">Цу гӀалин урамаш ловзучу кӀентех а, йоӀарех а дузур ду“.</verse>
				<verse number="6">Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „И санна долчух теша цу деношкахь дисинчу халкъан бӀаьргашна а тамашийна хилча, Сан бӀаьргашна а хир дуй те иза иштта тамашийна?“ — боху массо а ницкъийн Везачу Эло.</verse>
				<verse number="7">Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Сайн долу халкъ Ас кӀелхьардоккхур ду малхбалерчу а, малхбузерчу а мехкашкара.</verse>
				<verse number="8">Ас схьа а балийна, Ярушалаймехь бехар бу уьш. Царах Сан халкъ хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву. Уьш нийсонца лелар бу, ткъа Со царна тешаме хир ву“.</verse>
				<verse number="9">Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Массо а ницкъийн Везачу Элан цӀийнан бух буттучу хенахь, пайхамарша аьлла долу хӀара дешнаш хӀинца дӀахезаш долчу аша шайн куьйгаш чӀагӀделаш, Делан цӀа юхаметтахӀотторхьама.</verse>
				<verse number="10">И денош тӀекхачале, хьалхалерчу заманахь, наха а, бежанаша а къахьегарх дика ялта ца кхиира, махкахь лелаш волчу цхьана а мостагӀчуьнгара синтем бацара. Ас хӀора стаге кхечунна дуьхьал инкарло яйтира.</verse>
				<verse number="11">Ткъа хӀинца хӀокху халкъах бисинчарна Со хӀетахьлера санна вац, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="12">Ялта дуьйр ду сашортехь. Кемсийн гаьннаша а шайн стом лур бу. Лаьтто а ша кхиийнарг схьалур ду. Стигалша а лур ду шайн тхиш. И дерриг а Ас хӀокху дисинчу халкъана дӀалур ду.</verse>
				<verse number="13">Хьалхалерчу заманахь кхечу къаьмнех болчу наха, неӀалт а кхайкхош, ЯхӀудан а, Исраилан а халкъ хьахадора. Амма хӀинца Ас шун аьтто бийр бу, нахана шу декъалдинарш хетар а ду. Ма кхералаш, чӀагӀлойла шун куьйгаш!“</verse>
				<verse number="14">ХӀунда аьлча массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Шун дайша Со оьгӀазвахийтинчу хенахь, Ас шу таӀзар дан билгалдаьхча, Ас Сайн кхел дӀа ца яккхаре терра, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло, —</verse>
				<verse number="15">Ас юха а билгалдаьккхина хӀокху деношкахь ярушалаймхошна а, ЯхӀудан халкъана а дика дар. Ма кхералаш!</verse>
				<verse number="16">Аша дан дезарш хӀара гӀуллакхаш ду: вовшашка бакъдерг дийца, кхел ечу шайн меттигашкахь бакъдолчуьнца гӀуллакхаш къастаде, барт хилийтархьама.</verse>
				<verse number="17">Мелхо а, вовшашна дуьхьал зулам дар шайн даг чу ма тасийталаш, ткъа дуй баарца харц тоьшалла дар шайна ма дезийталаш, хӀунда аьлча и дерриг а Суна ца дезарг ду“», — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="18">Массо а ницкъийн Везачу Элан дош кхечира соьга:</verse>
				<verse number="19">«Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „БоьалгӀачу а, пхоьалгӀачу а, ворхӀалгӀачу а, уьтталгӀачу а беттан марханаш ЯхӀудан халкъана хазахетаран а, даккхийдеран а денош хилла дӀахӀуьттур ду, амма бакъдерг а, машар а безалаш“.</verse>
				<verse number="20">Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „ТӀейогӀучу хенахь дуккха а халкъаш а, дукхачу гӀаланийн бахархой а Ярушалайм-гӀалина тӀеоьхур бу.</verse>
				<verse number="21">Цхьана гӀалин бахархоша, вукху гӀалин бахархошна тӀе а баьхкина, эр ду: ‘Дуьйло, Веза Эла вайца дика хилар деха а, массо а ницкъийн Веза Эла лаха а гӀо вай. Со а воьду цига’, — аьлла.</verse>
				<verse number="22">Дуккха а халкъаш а, ницкъ болу къаьмнаш а Ярушалайм-гӀалина тӀеоьхур ду, массо а ницкъийн Веза Эла лаха а, Цуьнга шайца дика хилар деха а“.</verse>
				<verse number="23">Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Цу деношкахь иштта хир ду: массо а тайпана меттанашкахь вистхуьлучу кхечу къаьмнех волчу итт стага, куьйгаш а лаьцна, яхӀудхочун бедаран юх а лаьцна, иштта бохур ду: ‘Тхо хьоьца дӀагӀур ду, хӀунда аьлча, шуьца Дела ву бохуш, хезна тхуна’“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="9">
				<verse number="1">ХӀара хаам Везачу Элера бу: ХӀадрах-махкахь а, Дамасакх-гӀалахь а соцур ву Веза Эла. Исраилан массо а тайпанаш тӀехь санна, Цуьнан бӀаьрг массо а адамашна тӀехь бу.</verse>
				<verse number="2">Цуьнан бӀаьрг иштта бу Дамасакх-гӀалина уллохь болчу Хьамат-махкана тӀехь а, хьекъалалла сов долуш йолчу Цора а, ЦӀадан а гӀаланашна тӀехь а.</verse>
				<verse number="3">Цора-гӀалин бахархоша шайн гӀалина гобаьккхина чӀагӀонаш йина. Цара дети гулдина, чан санна, арара хатт санна, деши а гулдина.</verse>
				<verse number="4">Делахь а Везачу Эло и гӀала миска йина дӀахӀоттор ю, цуьнан ницкъ хӀорда чохь хӀаллакбийр бу, ткъа и ша цӀарца хӀаллакйина хир ю.</verse>
				<verse number="5">И дерриг а гина, Ашкхилун-гӀалин бахархой инзарбевр бу, Ӏази-гӀалара берш а, лазарша хьовзийна, бегор бу, иштта хир бу Ӏекхранхой а, хӀунда аьлча церан сатийсам кагбина хир бу. Ӏази-гӀалин паччахь вуьйр ву, ткъа Ашкхилун-гӀалахь цхьа а дийна вуьсур вац.</verse>
				<verse number="6">Ашдод-гӀалахь эделла тайпа дехар ду. Везачу Эло боху: «ПӀелаштамхойн куралла Ас йожор ю.</verse>
				<verse number="7">ЦӀий даар царна кхин могуьйтур дац Ас, дегазчу цӀушна лерина кхача баар доьхкур ду Ас. ПӀелаштамхойх бисинарш а вайн Делан долахь хир бу. ЯхӀудан халкъан тукхам санна хир бу уьш, ткъа Ӏекхранхой, явсайхой санна, хир бу.</verse>
				<verse number="8">Эскаро санна, Ас Сайн хӀусам ларйийр ю, цхьа а тӀемало цунна чухула ца валийтархьама. Цхьа а гӀело йийриг кхин махка чувер вац, хӀунда аьлча Со хӀинца Сайн бӀаьргашца церан дуьхьа хьоьжу».</verse>
				<verse number="9">Везачу Эло боху: «ЧӀогӀа хастамаш бе, Цийонан йоӀ! хазахетарца цӀогӀа тоха, Ярушалайман йоӀ! Хьажал, хьан паччахь ву хьо йолчу вогӀуш! Нийса а, толам баьккхина а ву иза. Делахь а цуьнан эсала амал ю Иза вирана тӀехиъна вогӀу, боьршачу вирбокъана тӀехиъна вогӀу!</verse>
				<verse number="10">Ас Эпрайм-махкара тӀеман гӀудалкхаш дӀайохур ю, Ярушалайм-гӀалара тӀеман дой дӀадохур ду, ткъа тӀеман Ӏад кагдина дӀадаьккхина хир ду. Оцу паччахьо халкъашна машар дӀакхайкхор бу. Цо олалла дийр ду цхьана хӀорда тӀера вукху хӀордана тӀе кхаччалц а, Эпрат-хина тӀера дуьненан йистошка кхаччалц а.</verse>
				<verse number="11">Ткъа Сан халкъ долчу хьох лаьцна аьлча, Айса хьоьца цӀийца чӀагӀбина бинчу бертан дуьхьа кхечу махка йийсаре дӀабигна хьан нах, хи доцучу ор чуьра санна, арабохур бу.</verse>
				<verse number="12">Юхадерза шайн гӀопана тӀе, сатуьйсу йийсархой! Тахана Ас дӀакхайкхадо, Ас шу хьалхачул шозза алсам декъалдийр ду.</verse>
				<verse number="13">ЯхӀуд, Ӏад санна, Сайна тӀеозор ву Ас, пхерчий санна болчу Эпраймах дузур ду и Ӏад. Хьан бахархой, Цийон, бохур бу Ас грекийн мехкан бахархошна дуьхьал. Царах эскархочун тур дийр ду Ас».</verse>
				<verse number="14">Веза Эла царна тӀехула гучувер ву. Ткъес санна, хецалур ду Цуьнан Ӏад. Хьалдолчу Эло коьман маӀа екор ю, Иза къилберачу дарцашца дӀаволалур ву.</verse>
				<verse number="15">Массо а ницкъийн Везачу Эло ларбийр бу уьш. Цара шайн мостагӀий дӀакхоллур бу, церан ширдолагийн тӀулгаш а хьоьшур ду. Муьйлур ду цара, гӀовгӀанаш а йийр ю, чагӀаро бахийча санна. Уьш бузур бу, сагӀин кад санна, сагӀа доккхучу кхерчан сенаш санна.</verse>
				<verse number="16">Цу дийнахь церан Везачу Дала Шен халкъ кӀелхьардоккхур ду, Ӏуьно шен жа кӀелхьар-ма-даккхара. Таж тӀера тӀулгаш санна, уьш Цуьнан лаьтта тӀехь лепар бу.</verse>
				<verse number="17">ЭхӀ-хӀай, мел исбаьхьа а, хаза а хир ду Цуьнан халкъ! КӀен ялто а, керлачу чагӀаро а, кегий нах а, мехкарий а денбийр бу.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="10">
				<verse number="1">Везачу Эле догӀа даийтар дехалаш бӀаьста. Веза Эла ву ткъес тухуьйтург а, нахана шортта догӀа лург а. Иза ву хӀоранна а аренгахь ялта лург а.</verse>
				<verse number="2">ЦӀуша зулам дуьйцу, пал туьйсучарна харцдерг а го, цара эрна гӀенаш а дуьйцу, даьссачух синтем а бо. Цу бахьанина нах, уьстагӀий санна, тилабелла лела. Царна гӀело а йо, царна тӀехь Ӏу воцу дела.</verse>
				<verse number="3">Везачу Эло боху: «Сан оьгӀазло Ӏушна дуьхьал карзахъяьлла, бежалошна а Ас таӀзар дийр ду. ХӀунда аьлча массо а ницкъийн Веза Эла волу Со ЯхӀудан халкъ долчу Сайн жена тӀехьийзар ву, Аса царах Сайн сийлахь тӀеман дин бийр бу.</verse>
				<verse number="4">ЯхӀудан халкъах массо а тайпана урхалчаш схьабевр бу. Уьш хир бу, са болу тӀулг санна, къиза а, четаран хьостам санна, онда а, тӀеман Ӏад санна, нуьцкъала а.</verse>
				<verse number="5">ЯхӀудан халкъ майра тӀемалой санна хир ду, тӀамехь, урамашкара хатт санна, мостагӀий хьоьшуш долу. ТӀом бечу хенахь Веза Эла шайца волу дела, цара ур-атталла мостагӀийн дошлой эшор бу, уьш юьхьӀаьржачу а хӀиттош.</verse>
				<verse number="6">Ас ЯхӀудан цӀа чӀагӀдийр ду, Юсупан цӀа кӀелхьардоккхур ду. Ас уьш юхаберзор бу, Со царна къинхетаме хилла дела, ткъа уьш а хир бу, Ас дӀа ца тесча санна. Со церан Веза Дела ву, Цара орца даьккхича, Ас царна жоп лур ду.</verse>
				<verse number="7">Эпраймхой, майра тӀемалой санна, хир бу. Церан дегнаш самукъане хир ду, чагӀаро бахийча санна. Церан бераш, иза а гина, баккхийбеш хир бу. Везачу Эло диначух уьш даггара самукъадаьлла хир бу.</verse>
				<verse number="8">Ӏуьно шок тохарца санна хаам а бина, Ас уьш схьагулбийр бу. Мах а белла, Ас паргӀатбохур бу уьш. Хьалха санна, шортта хир бу уьш.</verse>
				<verse number="9">Ас шаьш, ахархочо хӀу санна, кхечу къаьмнашна юкъахь дӀасабаржийнехь а, генарчу мехкашкахь Со дагаоьхуш Ӏийр бу уьш. Цара шайн бераш а кхиор ду, и бераш Исраил-махка юхадоьрзур а ду.</verse>
				<verse number="10">Ас уьш Мисар-махкара юхаберзор бу, Ашур-махкара а схьагулбийр бу, ГалӀаде а, Ливануне а схьабалор бу Ас уьш, амма ур-атталла цигахь меттиг а тоьар яц царна.</verse>
				<verse number="11">Баланийн хӀордахула чекхбевр бу уьш, цара хӀордан тулгӀенаш йохор ю, ткъа Нил-хин кӀоргенаш якъалур ю. Ашур-мехкан куралла лахйийр ю, Мисар-мехкан ницкъ дӀабер бу.</verse>
				<verse number="12">Веза Эла волчу Ас Сайн халкъ чӀагӀдийр ду. Сан цӀарах уьш лелар бу», — боху Везачу Эло.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="11">
				<verse number="1">Ливанун-мохк, дӀаделла хьайн кевнаш, цӀере хьан баганан-дитташ дӀакхаллийтархьама!</verse>
				<verse number="2">Делха, зоьзан-дитт, баганан-дитташ охьаэгна дела, и даккхий дитташ хӀаллакдина дела. Делхийша, Башанан нежнаш, луьста хьаннаш дӀахедийна дела.</verse>
				<verse number="3">ЛадогӀа Ӏуйн белхарийн аьзнашка — церан сийлахь дежийлаш дӀа ма евлла! ЛадогӀа къоначу лоьмийн гӀигӀ даре — Йордан-хин боьлак хӀаллак ма йина!</verse>
				<verse number="4">Иштта боху сан Везачу Дала: «Дажаде урс хьакха кечдина долу уьстагӀий.</verse>
				<verse number="5">УьстагӀий эцначара, дохко ца бовлуш, уьш дойу, ткъа уьш духкучара боху: „Декъала ву Веза Эла, со хьал долуш хилла!“ Церан-шайн Ӏушна а царах къа ца хета.</verse>
				<verse number="6">ХӀокху лаьттан бахархойх Суна кхин къахетар дац, — боху Везачу Эло. — Царах хӀорра а Ас-Айса церан уллорачун а, церан паччахьан а кара дӀалур ву, ткъа уьш карахь болчара церан мохк хӀаллакбийр бу. Ас церан карара бохур бац уьш».</verse>
				<verse number="7">Иштта совдегаршна урс хьакха кечдина уьстагӀий дажийра ас. Сайн кара ши коьжалг а эцна, цхьанна «Дикалла», вукхунна «Цхьаьнатохар» аьлла, цӀераш а техкина, уьстагӀий дажош Ӏийра со.</verse>
				<verse number="8">ЖаӀуйх кхаанга болх сацабайтира ас цхьана баттахь. Совдегарш кӀордийра суна, ткъа уьш сох ца бешара.</verse>
				<verse number="9">ТӀаккха ас элира: «Шун дуьхьа кхин Ас уьстагӀий дажор дац. Леш берш лойла, хӀаллакьхуьлуш берш хӀаллакьхуьлийла, ткъа бисинчара вовшийн декъий доийла».</verse>
				<verse number="10">Айса «дикалла» аьлла коьжалг, схьа а эцна, йохийра ас, Исраилан массо а тайпанашца айса бина барт бохош.</verse>
				<verse number="11">Оццу дийнахь и барт бохийра. ТӀаккха сан терго еш болу совдегарш кхийтира, иза Везачу Элан дош дуйла.</verse>
				<verse number="12">Ас иштта элира цаьрга: «Шайна тамехь делахь, сан алапа суна схьало, нагахь санна дацахь — ма ло». ТӀаккха цара алапина лерина долу ткъе итт дети ахча делира суна.</verse>
				<verse number="13">Везачу Эло соьга элира: «Уьш пхьерана дӀало — иза Сох хӀоттийна болу лаккхара мах бу!» И ткъе итт дети ахча, схьа а эцна, ас Везачу Элан цӀийнан пхьерана дӀаделира.</verse>
				<verse number="14">«Цхьаьнатохар» аьлла йолу сайн важа коьжалг, схьа а эцна, йохийра ас, ЯхӀудана а, Исраилна а юкъахь долу вежаралла а дохош.</verse>
				<verse number="15">Везачу Эло соьга элира: «Юха а телхинчу жаӀуйн гӀирс хьайца схьаэца.</verse>
				<verse number="16">ХӀунда аьлча хӀокху махка тӀехь Ӏу дӀахӀотто воллу Со, леш долчу шен уьстагӀийн дола деш воцург, дайнарш лоьхун воцург, лазийнарш тоден воцург, могуш долчарна кхача лун воцург, ткъа дерстинчеран жижиг а дууш, ур-атталла церан бергаш схьайохун верг.</verse>
				<verse number="17">Декъаза ву Сан телхина Ӏу, жа дуьтуш волу! Тур цуьнан аьтту куьйгана а, аьтту бӀаьргана а тухийла. Цуьнан куьг кхоччуш заьӀап хуьлда, аьтту бӀаьрг а кхоччуш бӀаьрса доцуш буьсийла».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="12">
				<verse number="1">Исраилан халкъах болу хӀара хаам Везачу Элера бу. Стигал дӀасаяржийна волчу, латта чӀагӀдина волчу, адамна чу са кхоьллина волчу Везачу Эло боху:</verse>
				<verse number="2">«Хьажал, Ярушалайм-гӀаланах чагӀаран кад бийр бу Ас. Массо а цунна гонахара къаьмнаш, иза дӀа а мелла, техкаш хир ду. Ярушалайм-гӀалина го барехь дакъа а лоцуьйтуш, ЯхӀудан халкъе а иза молуьйтур ду.</verse>
				<verse number="3">И де тӀекхаьчча, Ярушалаймах беза боккха тӀулг бийр бу Ас массо а халкъашна. Иза меттахбаккха мел гӀиртинчо шена чӀогӀа зен дийр ду. Дуьненан массо а къаьмнаш Ярушалайм-гӀалина дуьхьалдевр ду.</verse>
				<verse number="4">Цу дийнахь, — боху Везачу Эло, — Аса муьлхха а говр Ӏадор ю, ткъа цуьнан дошло хьекъалх воккхур ву. Сайн бӀаьргаш Ас ЯхӀудан халкъана тӀехьажор бу, иза лардархьама, амма мостагӀийн массо а говраш бӀарзйийр ю Ас.</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха ЯхӀудан куьйгалхоша шайн дегнашкахь эр ду: „Массо а ницкъийн Веза Эла волчу шайн Делехула Ярушалайм-гӀалин бахархоша тхо иракарахӀиттош ду“.</verse>
				<verse number="6">Цу дийнахь Ас ЯхӀудан куьйгалхой дечигашна юккъерачу суйх а, цӀевнийн юккъерачу хаьштигех а тарбийр бу. Цара гонах мел долу халкъаш аьтту а, аьрру а агӀор а дӀакхоллур ду, ткъа шаьш Ӏийначу Ярушалайм-гӀалахь адамаш кхидӀа а маьрша дехаш хир ду.</verse>
				<verse number="7">Везачу Эло цкъа хьалха яхӀудхойн эскар кӀелхьардоккхур ду, Даудан цӀийнан а, ярушалаймхойн а сийлалла ЯхӀудан халкъан долчул лакха ца далийтархьама.</verse>
				<verse number="8">Цу дийнахь Везачу Эло ярушалаймхой ларбийр бу. Царна юкъара уггар а гӀорасиза верг а, Дауд-паччахь санна, ницкъ болуш хир ву, ткъа Даудан цӀа царна хьалха Дела санна а, Везачу Элан Малик санна а хир ду.</verse>
				<verse number="9">И де тӀекхаьчча, Ярушалайм-гӀалина тӀелеташ долу дерриг а халкъаш хӀаллакдан волалур ву Со.</verse>
				<verse number="10">Ткъа Даудан цӀенна а, Ярушалайм-гӀалин бахархошна а къинхетаман а, гечдаран доӀанийн са шортта тӀеӀанор ду Ас. ТӀаккха хьовсур уьш шаьш гоьмукъ чекхбаьккхина волчу Соьга. Цара цунах лаьцна белхарш дийр ду, цхьаъ бен доцучу берана тӀера санна, уьш гӀайгӀане хир бу дуьххьарлерчу доьзалхочунна гӀайгӀане хиларе терра.</verse>
				<verse number="11">Цу дийнахь Ярушалайм-гӀалахь хӀуттур долу белхар, МагӀидда-арахь йолчу ХӀадад-Римун меттехь хилла белхар санна, доккха хир ду.</verse>
				<verse number="12">Мехкан бахархойн тукхамаш шаьш дол-долчохь доьлхур ду — Даудан цӀийнан тукхамаш шаьш долчохь доьлхур ду, церан зударий шаьш болчохь боьлхур бу, Натин цӀийнан тукхамаш шаьш долчохь доьлхур ду, церан зударий шаьш болчохь боьлхур бу,</verse>
				<verse number="13">Левин цӀийнан тукхамаш шаьш долчохь доьлхур ду, церан зударий шаьш болчохь боьлхур бу, ШамаӀин цӀийнан тукхамаш шаьш долчохь доьлхур ду, церан зударий шаьш болчохь боьлхур бу,</verse>
				<verse number="14">дисина тукхамаш а шаьш дол-долчохь доьлхур ду, церан зударий а шаьш бол-болчохь боьлхур бу».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="13">
				<verse number="1">«Цу дийнахь къинойх а, сийсазаллах а цӀанбалийта Даудан цӀенна а, Ярушалайман бахархошна а цхьа хьоста дӀаделлалур ду.</verse>
				<verse number="2">И де тӀекхаьчча, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло, — Ас дӀайойур ю кху лаьтта тӀера цӀуйн цӀераш, уьш кхин дагаоьхур бац. Ас иштта махка тӀера дӀабохур бу харцпайхамарш а, цӀушна Ӏамал ян лаар а дӀадоккхур ду.</verse>
				<verse number="3">Нагахь санна цхьаммо пайхамаралла леладахь, иза дуьнен чу ваьккхинчу цуьнан дас а, нанас а цуьнга эр ду: „Хьо вехийла дац, Везачу Элан цӀарах ахь харцдерг дийцина дела“. Цо пайхамаралла лелочу хенахь, цуьнан шен дас а, нанас а цунах тур чекхдоккхур ду.</verse>
				<verse number="4">И де тӀекхаьчча, шена сурт хӀоттийна хӀорра а харцпайхамар Делан цӀарах хаам бан хӀуттур вац. Нах лебархьама, пайхамарийн духар шайна тӀедухур дац харцпайхамарша цкъачунна.</verse>
				<verse number="5">ХӀораммо а эр ду: „Со пайхамар вац, со латталелорхо ву. Со бер долчу хенахь дуьйна лаьтта тӀехь болх беш ву “.</verse>
				<verse number="6">Ткъа цуьнга эр ду: „Хьан некха тӀехь моьнаш хӀунда ду?“ Цо жоп лур ду: „Со везаш болчеран цӀа чохь суна йиттина дела“, — аьлла».</verse>
				<verse number="7">«ХӀай, тур! Айалохьа Сан жаӀуьнна тӀе, Суна уллора волчу стагана тӀе, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. — Нагахь санна жаӀуьнна чов яхь, жа юкъара уьстагӀий дӀасадовдур ду. Ас Сайн куьг кӀезиг болчарна дуьхьал хьажор ду.</verse>
				<verse number="8">Берриге а махкахь иштта хир ду, — боху Везачу Эло, — ши дакъа хӀаллакдина а хир ду, лийр а ду, ткъа кхоалгӀа дакъа дийна дуьсур ду.</verse>
				<verse number="9">И кхоалгӀа дакъа Ас цӀерга тосур ду. Дети лаладаре терра, лалор ду иза, деши цӀандеш ма-хиллара, цӀан а дийр ду. Соьга кхойкхур бу уьш, ткъа Суна хезар бу уьш. Ас эр ду: „Иза Сан халкъ ду“. Цара а эр ду: „Веза Эла — тхан Дела ву!“»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="14">
				<verse number="1">Хьажал, Везачу Элан цхьа де тӀекхочуш ду. И де тӀекхаьчча, шуьгара яьккхина хӀонс мостагӀаша шун бӀаьргашна хьалха дӀасайоькъур ю шайна юкъахь.</verse>
				<verse number="2">Ас дерриг а халкъаш Ярушалаймана дуьхьал тӀом бан схьагулдийр ду. ГӀала схьаяьккхина хир ю. ЦӀеношна талораш дийр ду. Зударий сийсазбохур бу. ГӀалин цхьа ах йийсаре юьгур ю, ткъа дисина халкъ гӀаланах дӀахадийна хир дац.</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха Везачу Эло, ара а ваьлла, оцу халкъашна дуьхьал тӀом бийр бу, тӀеман дийнахь Ша тӀом ма-барра.</verse>
				<verse number="4">Цу дийнахь Цуьнан когаш Ярушалайм-гӀалина хьалха малхбалехьа лаьттачу зайт-диттийн лам тӀехь дӀахӀуьттур бу. И лам шина декъе бекъалур бу малхбалера малхбузехьа йолчу шуьйрачу тогӀица. Ах лам къилбаседехьа дӀабер бу, ткъа важа ах къилбехьа дӀабер бу.</verse>
				<verse number="5">Ацала кхаччалц дӀаяьржина йолчу оцу Сан тогӀенехула дӀадовдур ду шу, яхӀудхойн паччахь хиллачу Ӏузи-ЯхӀун деношкахь мохк бегийча шун дай дӀабевдда ма-хиллара. ТӀаккха сан Веза Дела схьавогӀур ву, Цуьнца цхьаьна массо а маликаш а.</verse>
				<verse number="6">И де тӀекхаьчча, серло а, шело а, йис а хир яц.</verse>
				<verse number="7">И де цхьаъ бен хир дац, Везачу Далла бен хууш доцу: я де, я буьйса хир яц. Суьйренан хенахь бен гучуер яц серло.</verse>
				<verse number="8">И де тӀекхаьчча, Ярушалаймера дийна хиш оьхур ду, царах ах хиш Дуьрачу хӀордехьа, ткъа дисина ах Дуьненаюккъера хӀордехьа. Иштта хир ду аьхка а, Ӏай а.</verse>
				<verse number="9">Ткъа Веза Эла дерриг а дуьненна тӀехь Паччахь хир ву. Цу дийнахь цхьа Веза Эла бен Дела санна лорур вац, Цуьнан цӀарца бен Деле кхойкхур бац.</verse>
				<verse number="10">Къилбаседехьа йолчу ГибаӀ-гӀалара Ярушалаймана къилбехьа йолчу Римун-гӀалина тӀекхаччалц дерриг а латта Ӏариба-тогӀи санна хир ду. Ярушалайм-гӀала шен лекхачу меттехь кхидӀа а лаьттар ю. Иза хир ю Бен-Яманан кевнна тӀера дуьххьарлерчу кевнан меттехь долчу Сонерачу кевнна тӀекхаччалц а, Хьананиал-бӀаьвнна тӀера паччахьан муттдоккхургана тӀекхаччалц а.</verse>
				<verse number="11">Нах цигахь кхерам боцуш бехар бу, иза хӀаллакйо кхоллам кхин кхочур бац Ярушалайм-гӀалина.</verse>
				<verse number="12">Ярушалайм-гӀалина дуьхьал тӀом бинчу массо а халкъашна Везачу Эло тухур долу ун иштта хир ду: хӀораннан а дегӀ телхар ду, иза шен когаш тӀехь лаьтташехь, цуьнан бӀаьргаш телхар бу, бӀаьргийн даьӀахкашна юккъехь лаьтташехь, цуьнан мотт а багахь телхар бу.</verse>
				<verse number="13">И де тӀекхаьчча, уьш Везачу Эло чӀогӀа боьхна хьуьйзуьйтур бу. Цара вовшийн куьйгех кадеттар ду, уьш вовшашна тӀелетар а бу.</verse>
				<verse number="14">Ур-атталла ЯхӀудан халкъо а тӀом латтор бу Ярушалайм-гӀалина дуьхьал. Гонахарчу массо а халкъийн бахам схьагулбина хир бу — боккхачу барамехь долу деши, дети, духарш.</verse>
				<verse number="15">Иштта мостагӀийн меттаметтанашкахь йолчу говрашна, вирбӀарзанашна, эмкалшна, варрашна, муьлхха а кхечу хьайбанна а хьалха санна долу ун кхетар ду.</verse>
				<verse number="16">Юха Ярушалаймана дуьхьалдевллачу массо а халкъех биснарш хӀора шарахь Паччахьна, массо а ницкъийн Везачу Элана, Ӏибадат дан а, адамаш кхалораш кӀелахь Ӏаш долу деза денош даздан а схьаоьхур бу.</verse>
				<verse number="17">Нагахь санна лаьтта тӀера цхьа къам Паччахьна, массо а ницкъийн Везачу Элана, Ӏибадат дан Ярушалайме ца дагӀахь, церан лаьтта тӀе догӀа догӀур дац.</verse>
				<verse number="18">Нагахь санна мисархой, новкъа а бевлла, схьа ца багӀахь, царна а догӀа хир дац. Царна а дийр ду Везачу Эло адамаш кхалораш кӀелахь Ӏаш долу деза денош даздан ца богӀучарна деш доллу таӀзар.</verse>
				<verse number="19">Иштта таӀзар дийр ду адамаш кхалораш кӀелахь Ӏаш долу деза денош даздан богӀур боцучу мисархошна а, массо а халкъашна а.</verse>
				<verse number="20">Цу хенахь говрийн горгалешна тӀехь а дӀаяздина хир ду: «Везачу Элана къобалдинарг», — аьлла. Везачу Элан цӀа чуьра еш а хир ду, сагӀа доккхучу кхерчана хьалхара сагӀин кедаш санна, деза.</verse>
				<verse number="21">Ярушалаймехь а, ЯхӀуд-махкахь а хӀорра а яй массо а ницкъийн Везачу Элана къобалбина хир бу. СагӀина леринарг дахьаш болчу массара а, и еш схьа а эцна, царна чохь кхехкор ду жижиг. Цу дийнахь кхин хир вац цхьа а совдегар массо а ницкъийн Везачу Элан цӀийнан кертахь.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="39">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">ХӀара Везачу Эло Малъаки-пайхамарехула Исраилан халкъана бина хаам бу.</verse>
				<verse number="2">«Суна шу дезаделла», — боху Везачу Эло. Ткъа аша: «Стенна тӀехь схьагайтина Ахьа Хьайн безам?» — боху. «Ӏесав Якъубан ваша ма хилла? — боху Везачу Эло. — Делахь а, Сайн безам гайтархьама, Ас Якъуб а, цуьнан тӀаьхье а хаьржинера,</verse>
				<verse number="3">амма Ӏесав а, цуьнан тӀаьхье а дӀатеттинера. Ас цуьнан лаьмнех яьсса меттиг йира, ткъа цуьнан долахь долу латта яьссачу аренашкара чангӀалкхашна дӀаделира».</verse>
				<verse number="4">Нагахь санна Ӏесаван тӀаьхьенах болчу эдомхоша: «Тхо дохийна, амма дохийнарг оха меттахӀоттор ду», — бахахь, Везачу Эло иштта боху: «Цара меттахӀоттор ду, ткъа Ас дохор ду. ТӀаккха церан меттигах „харцонийн меттиг“ эр ду, ткъа царах „Везачу Элан оьгӀазло гуттаренна тӀехь йолу халкъ“ эр ду».</verse>
				<verse number="5">Иза шун бӀаьргашна гур ду, тӀаккха аша эр ду: «Везачу Элан сийлалла Исраил-махкана арахьа а кхочу!»</verse>
				<verse number="6">«КӀанта ден сий до, иштта лено а шен олахочун сий до. Нагахь санна Со шун да велахь, мичахь ду Суна догӀу сийдар? Нагахь санна Со шун олахо велахь, мичахь бу Суна богӀу ларам? — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. Ва динан дай, шу Сан цӀе емалйийраш ма ду! Аша боху: „Оха муха емалйо Хьан цӀе?“</verse>
				<verse number="7">СагӀа доккхучу Сан кхерчана тӀе хьанал боцу кхача а бахьаш, боху-кх аша: „Оха муха сийсазваьккхина Хьо?“ Везачу Элана лерина болчу кхачанан шуьнах цадашарца аша Со сийсазваьккхина.</verse>
				<verse number="8">Къилахь дац ткъа, сагӀина дахьаш дерг бӀаьрзениг деача? Вон дац ткъа, сагӀина деанарг астагӀа я цамгар кхеттарг хилча? ДӀакховдадел иштта дерг хьайн баьччанна — реза хир варий те иза хьуна, хьо дика тӀеоьцур варий те цо?» — боху массо а ницкъийн Везачу Эло.</verse>
				<verse number="9">«Цундела шайх къинхетам бар дехалаш Деле. Ткъа шуьгара ишттаниг долуш хилча, шу тӀеэцалур дуй те Цуьнга, шуна дика а деш? — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="10">Цул гӀолехь хир дара, сагӀа доккхучу Сан кхерчана тӀехь эрна цӀе ца латторхьама, шух цхьаммо Сан цӀийнан неӀарш дӀакъевлинехь. Сан безам бац шуьга, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло, — шун куьйгаша деанарг Суна тамехь хир дац.</verse>
				<verse number="11">Малх гучуболучуьра малх дӀабузучу кхаччалц сийлахь хир ю халкъашна юкъахь Сан цӀе. Муьлххачу а меттехь Суна лерина хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а, цӀена долу сагӀанаш а дохур ду. Сийлахь хир ю Сан цӀе халкъашна юкъахь, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="12">Ткъа аша Со сийсазвоккху, Хьалдолчу Элана лерина долчу кхачанан шуьнах а ца дешаш, Цуьнан кхача дола а хеташ.</verse>
				<verse number="13">Цу тӀе цунах лаьцна аша, марош хьала а ойуш, цадашарца иштта олу: „Ма кӀордийна-кх хӀара дерриге а!“ — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. — Лачкъийна а, астагӀа а, цомгуш долу а дийнаташ Суна лерина аша сагӀина деача, резахиларца шун карара уьш тӀеэца дезий те Аса? — боху Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="14">НеӀалт хуьлда, шен жена юкъахь сакхт доцу боьрша уьстагӀ боллушехь, Хьалдолу Эла волчу Суна и уьстагӀ сагӀина бан ша чӀагӀо йина йоллушехь, сагӀина лерина сакхт долу дийнат дуьйш волчунна — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. — ХӀунда аьлча Со сийлахь-воккха Паччахь ву. Сан цӀе а ю халкъашна юкъахь кхераме».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Цундела, динан дай, шуьга ду хӀара весет.</verse>
				<verse number="2">«Нагахь санна аша ла ца догӀахь, нагахь санна Сан цӀе лара шу доггаха тӀедирзина дацахь, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло, — Ас шуна неӀалташ а кхайкхор ду, шун декъалдаршна сардамаш а духкур ду. ХӀинцале а шуна сардам боьллина Ас, аша шайн дегнаш Суна тӀе ца дерзийна дела.</verse>
				<verse number="3">Ас шух схьайолучу тӀаьхьенна таӀзар дийр ду. Шун юьхь тӀе кхелли кхуссур ю Ас — шайн дезачу деношна аша лерина долчу сагӀанийн кхелли. Цуьнца цхьаьна шу а дӀакхуьссур ду.</verse>
				<verse number="4">ТӀаккха кхетар ду шу, и весет левихошца бина болу Сан барт ларбархьама Ас дина хиларх, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло.</verse>
				<verse number="5">Ас цаьрца бина болу барт дахаран а, машаран а барт бара. Дахар а, машар а Ас царна дӀабелира, уьш Соьга ларамах буьзна хилийтархьама. Иштта хила а хилира — уьш Сан цӀаре ларамах буьзна лаьттара, Суна хьалха инзарбевлла бисира.</verse>
				<verse number="6">Церан багахь билггал бакъболу хьехамаш бара, харцдерг ца долура церан матта тӀера. Уьш Соьца машарца а, догцӀеналлица а лелара. Дукха адамаш къинош леточуьра совцийра цара.</verse>
				<verse number="7">ХӀунда аьлча динан ден багано Делах лаьцна хааделларг лардан деза, ткъа адамаша цуьнга шайна хьехамаш байта беза, динан да массо а ницкъийн Везачу Элан геланча волу дела.</verse>
				<verse number="8">Амма шу, динан дай, нийсачу некъа тӀера дӀадирзина. Шайн хьехамаш бахьана долуш, дукха нах галбовлийтина аша. Аса левихошца бина болу барт бохийна аша, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="9">Иштта Ас шу дерриг а халкъана хьалха дегаза а, юьхьӀаьржа дина дӀахӀиттор ду, аша Сан некъаш лар ца до дела а, товрат-хьехаман гӀуллакхаш тӀехь аша озабезамаш лелабо дела а».</verse>
				<verse number="10">Цхьа да вац ткъа вайн? Цхьана Дала кхоьллина дац ткъа вай? ХӀунда хуьлу вай вовшашна ямартлонаш лелош, Дала вайн дайшца бина барт сийсаз а беш?</verse>
				<verse number="11">ЯхӀудхоша а ямартлонаш лелайо. Исраил-махкахь а, Ярушалаймехь а дегаза хӀума лелийна. Везачу Элана дезаш долу Цуьнан деза цӀа сийсаздаьккхина яхӀудхойн халкъо, хийрачу делан йоӀ цо шена ялийна йолу дела.</verse>
				<verse number="12">Иштта дерг лелош волу милла а Везачу Эло Якъубан тӀаьхьенах дӀахадавойла! Цунах цхьа а ма вуьсийла, массо а ницкъийн Везачу Элана сагӀанаш дахийта!</verse>
				<verse number="13">Аша-м кхин а хӀара а до: Везачу Элан сагӀа доккхучу кхерчана тӀе бӀаьрхиш Ӏенадойту аша. Шу делха а доьлху, узарш а до, хӀунда аьлча, Веза Эла кхин дӀа ца хьожу аша деанчуьнга, Цо шун карара сагӀанаш резахиларца тӀе ца оьцу.</verse>
				<verse number="14">Аша-м хаттар до: «ХӀун бахьанина?», — бохуш. И дера ду, къона волуш хьайна ялийначу зудчуьнца ахьа барт беш Веза Эла теш хилла дела. Ахь цу зудчунна ямартло йина, иза хьайн накъост а, бакъйолу зуда а йоллушехь.</verse>
				<verse number="15">Шегахь оьздангалла йолчу цхьаммо а и саннарг ца лелийна, хӀунда аьлча Делан халкъана юкъахь хиндолу бераш хӀоранна а хила ма лаьа. Цундела лар а лолаш, цхьаммо а ямартлонаш а ма лелаелаш шен къоналлехь хиллачу зудчунна дуьхьал.</verse>
				<verse number="16">«ХӀунда аьлча майра а, зуда а дӀасакъастар ца деза Суна», — боху Исраилан халкъан Везачу Дала «И деш волчо ша къизаллех вузаво, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. — Цундела шайн синан тергам белаш, ямартлонаш ма лелаелаш».</verse>
				<verse number="17">Аша Веза Эла шайн дешнашца кӀадвина. «Оха муха кӀадвина Иза?» — олу аша. «Муьлхха а зулам деш верг Везачу Элан бӀаьргашна хьалха дика ву, Цо ишттачаьргахьа озабезам бо», — аларца, аша шаьш кӀордадайтина Цунна. Я иштта аларца: «Мичахь ву нийса кхел еш волу Дела?»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">«Хьовсал, Ас Сайн геланча вохуьйтур ву, цо Суна хьалхара некъ кечбийр бу. ТӀаккха аша лоьхуш волу Олахо цӀеххьана Шен дезачу цӀа чу вогӀур ву. Шу хьоьгуш волу бертан геланча — хьовсал, иза вогӀур ву», — боху массо а ницкъийн Везачу Эло.</verse>
				<verse number="2">Хьаьнга лалур ду те Иза схьавогӀу де? Мила латталур ву, Иза схьавеача? ХӀунда аьлча Иза дерриге а лалош йолу цӀе санна а, дерриге а цӀандеш долу саба санна а ву.</verse>
				<verse number="3">Иза дети лалош а, цӀандеш а верг санна охьахуур ву. Цо левихой цӀанбийр бу, уьш, деши а, дети а санна, лалор бу Цо, хила деззачу тайпана Везачу Элана лерина сагӀанаш цаьрга дахийтархьама.</verse>
				<verse number="4">ТӀаккха Везачу Элана яхӀудхойн а, ярушалаймхойн а сагӀанаш тамехь хир ду, ширачу заманан деношкахь санна а, дӀадаханчу шерашкахь санна а.</verse>
				<verse number="5">«Со шуна гергакхочур ву кхел ян. Аса сихха тоьшалла дийр ду бозбунчашна а, кхечуьнца лелачарна а, харц дуйнаш кхуллучарна а, тӀелаьцначу белхалочунна йогӀу ял дӀалуш боцучарна а, йисинчу зудчунна а, бо берана а гӀело ечарна а, тӀевеанарг дӀатоьттуш болчарна а, Соьга ларамах буьзна боцучарна а дуьхьал», — боху массо а ницкъийн Везачу Эло.</verse>
				<verse number="6">«Веза Эла волу Со хийца ца ло. Ткъа иштта шу а, Якъубан тӀаьхьенах дерш, цхьана а агӀор хийца а ца делла!</verse>
				<verse number="7">Шайн дай баьхначу заманахь дуьйна Сан парзаш тӀера дӀадирзина шу, аша уьш лар ца дина. Суна тӀедерза, тӀаккха Со а шуьгахьа воьрзур ву, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. — Амма аша хотту: „Муха тӀедерза тхо?“ — олий.</verse>
				<verse number="8">Адамна мегий те Далла къола дан? Ткъа аша Суна къола до. „ХӀун деш къола до оха?“ — хаттар до аша. Шайн долахь долчух уьтталгӀа дакъа Суна цадаларца а, Суна догӀу сагӀанаш цадахарца а до.</verse>
				<verse number="9">Хьуна тӀехь, дерриг а халкъ, неӀалт ду, хӀунда аьлча аша Суна къола до.</verse>
				<verse number="10">Схьадайша шайн долахь долчух уьтталгӀа дакъа дерриг а чӀоьнашна чу, Сан дезачу цӀа чохь кхача хилийтархьама. Оцу тӀехь зейша Со, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. — Ас дӀайоьллур яц ткъа шуна стигалан неӀарш, тӀеӀанор дац ткъа Ас шуна тоъал декъалдарш?</verse>
				<verse number="11">Ас шун дуьхьа доьхкур ду цӀазана лаьттан стоьмаш хӀаллакбар, иштта шун аренгара кемсийн таьллангаш а шайн стоьмех евр яц, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. —</verse>
				<verse number="12">Шух массо халкъаша декъалдинарш эр ду, хӀунда аьлча шун мохк безаме мохк хир бу», — боху массо а ницкъийн Везачу Эло.</verse>
				<verse number="13">«Шун дешнаш Суна хьалха кӀоршаме ду, — боху Везачу Эло. — Амма аша хаттар до: „ХӀун аьлла оха Хьуна дуьхьал?“ — бохуш.</verse>
				<verse number="14">Аша элира: „Далла гӀуллакх дар эрна ду. ХӀун пайда бу Цо тӀедехкина декхарш вай кхочушдаран, массо а ницкъийн Везачу Элана хьалха вай сингаттаман духарш лелоран?</verse>
				<verse number="15">Вайна моттарехь кураберш ирс долуш бу. Иштта, харцонаш лелораш беркатехь Ӏаш бу, ткъа Дела зуьйш берш а дийна буьсуш бу“».</verse>
				<verse number="16">ТӀаккха Везачу Эле ларамах буьзна болчара вовшашка олура, ткъа Везачу Элана, тидам бича, цара аьлларг хезира. Цунна хьалха дагалацаман тептар тӀехь дӀаязъеш яра Везачу Эле ларамах буьзначеран а, Цуьнан цӀе лоручеран а цӀераш.</verse>
				<verse number="17">«Уьш Сан хир бу, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. — Ас бекхам бечу дийнахь царах Сан долахь долу жовхӀар хир ду. Ас царах къинхетам бийр бу, дас шена гӀуллакх деш волчу кӀантах къинхетам баре терра.</verse>
				<verse number="18">ТӀаккха юха а гур ю шуна хьаналчунна а, Ӏесачунна а, Далла гӀуллакх деш волчунна а, воцучунна а юкъахь йолу башхалла».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">«Гур ду шуна, Аса бекхам бо де тӀекхочур ду, ткъа иза йогу пеш санна хир ду. ТӀаккха кураллаш еш берш а, харцонаш лелош берш а — берриш а ча санна хир бу, уьш тӀедогӀун долчу дийно багор бу, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло, — церан я орам, я гаьннаш дуьтур дац.</verse>
				<verse number="2">Ткъа Соьга ларамах дуьзна долчу шуна тӀехула нийсо тӀейоуьйту малх гӀоттур бу, цуьнан зӀаьнаршкахь дарба хир ду. Шу, божала чуьра арахецна долу эсий санна, кхиссалур ду.</verse>
				<verse number="3">Ӏесанаш аша хьоьшур бу, Ас бекхам бечу дийнахь шун когаш кӀел уьш чан санна хир болу дела», — боху массо а ницкъийн Везачу Эло.</verse>
				<verse number="4">«Дагахь латтабелаш Сан ялхо волчу Муса-пайхамаран товрат-хьехам — Хьарибехь Ас цуьнга дӀаделла долу парзаш а, тӀедехкинарш а, уьш Исраилан дерриг а халкъе кхочушдайтархьама.</verse>
				<verse number="5">Ас шуна тӀе Эли-ЯхӀу-пайхамар воуьйтур ву, сийлахь а, къемате а долу Везачу Элан де тӀекхачале.</verse>
				<verse number="6">Цо дайн дегнаш берашкахьа дерзор ду, ткъа берийн дегнаш дайшкахьа дерзор ду, Со, дӀа а ваийтина, Соьга шайн мохк дӀа а къастабайтина, иза кхоччуш хӀаллак ца байтархьама».</verse>
			</chapter>
		</book>
	</testament>
	<testament name="New">
		<book number="40">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">ХӀара ду шуна Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан схьаваларх лаьцна долу дӀаяздинарг. Иза Даудах схьаваьлла, ткъа Дауд ИбрахӀиман тӀаьхьенах хилла.</verse>
				<verse number="2">ИбрахӀим Исхьакхан да хилла, Исхьакх — Якъубан да, Якъуб — ЯхӀудан а, цуьнан вежарийн а да,</verse>
				<verse number="3">ЯхӀуд — Парасан а, Зерахьан а да, ткъа церан нана Тамара хилла. Парас Хьацранин да хилла, Хьацрани — Раман да.</verse>
				<verse number="4">Рам Ӏамминадабан да хилла, Ӏамминадаб — Нахьшонан да, Нахьшон — Салманан да,</verse>
				<verse number="5">Салман — БоӀазан да. БоӀазан нана Рахьаб хилла. БоӀаз Ӏабадин да хилла. Ӏабадин нана Рути хилла. Ӏабади Юшайн да хилла,</verse>
				<verse number="6">Юшай — Даудан да хилла. Дауд Сулим-паччахьан да хилла, цуьнан нана хьалха УръяхӀугахь марехь хилла.</verse>
				<verse number="7">Сулим-паччахь РахьбуӀаман да хилла, РахьбуӀам — Аби-ЯхӀун да, Аби-ЯхӀу — Асин да,</verse>
				<verse number="8">Аса — ЯхӀушаптин да, ЯхӀушапти — Йораман да, Йорам — Ӏузи-ЯхӀун да,</verse>
				<verse number="9">Ӏузи-ЯхӀу — Йовтаман да, Йовтам — Ахьазан да, Ахьаз — Хьузакх-ЯхӀун да,</verse>
				<verse number="10">Хьузакх-ЯхӀу — Маннашан да, Маннаш — Аминан да, Амин — Юши-ЯхӀун да,</verse>
				<verse number="11">Юши-ЯхӀу — Яхун-ЯхӀун а, цуьнан вежарийн а да хилла. Цу хенахь дерриг а Исраилан къам Бавел-махка дӀадигна хилла.</verse>
				<verse number="12">Бавел-махкара цӀа баьхкинчу хенахь Яхун-ЯхӀу Шалтаалан да хилла, Шалтаал Зурбабелан да хилла,</verse>
				<verse number="13">Зурбабел — Авадин да хилла, Авади — Элъякъиман да, Элъякъим — Узаран да,</verse>
				<verse number="14">Узар — ЦӀадукъин да, ЦӀадукъа — Ахьмин да, Ахьма — Аладин да,</verse>
				<verse number="15">Алади — ЭлиӀазаран да, ЭлиӀазар — МатӀанин да, МатӀани — Якъубан да,</verse>
				<verse number="16">Якъуб — Мареман майра волчу Юсупан да. Марема Ӏийса вина, Дала леррина Къобалвинарг аьлла, цӀе йоккхуш волу.</verse>
				<verse number="17">ИбрахӀимна тӀера Даудана тӀе кхаччалц ейтта тӀаьхье хилла, Даудана тӀера Бавеле йийсаре бахийтталц — ейтта тӀаьхье хилла, ткъа иштта ейтта тӀаьхье кхиъна Бавелера юхабалийначул тӀаьхьа Ӏийса дуьнен чу валлалц.</verse>
				<verse number="18">Цуьнан дуьнен чу валар иштта хилира: Ӏийсан нана Марем Юсупна ехна хилла. Амма иза маре яхале гучудаьлла Марем Делан Синах доьзалхочух хилар.</verse>
				<verse number="19">Цуьнан хин волу майра Юсуп чӀогӀа оьзда стаг хилла. Цо шайна юкъахь хьахаделла долу захало, нахала а ца доккхуш, дохо сацам бина хилла.</verse>
				<verse number="20">Цо цу гӀуллакхах лаьцна ойла ечу хенахь, цунна гӀенах Везачу Элан малик дуьхьалтесира. Малико элира: «Даудан кӀант Юсуп, Марем хьайна дӀайига ма кхера, хӀунда аьлча цуьнан кийрахь долу бер Делан Синах схьадаьлла ду.</verse>
				<verse number="21">Цо кӀант вийр ву. Цуьнан цӀе Ӏийса тиллалахь, хӀунда аьлча Цо Шен къам къинойх кӀелхьардоккхур ду».</verse>
				<verse number="22">И шадерг а хилла, Везачу Эло Шен пайхамарехула аьлларг кхочуш хилийтархьама. Делан Йозанна тӀера дешнаш иштта дара:</verse>
				<verse number="23">«ЙоӀстага, берах а хилла, КӀант вийр ву, Цуьнан цӀе Ӏимануал туьллур ю. Иза „Тхоьца Дела ву!“ — бохург ду».</verse>
				<verse number="24">Юсуп самаваьлча, цо, Везачу Элан малико ма-хьеххара, Марем шена маре схьаялийра.</verse>
				<verse number="25">Амма бер дина яллалц, цо цунах куьг ца туьйхира. Юсупа цу кӀентан цӀе Ӏийса тиллира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Ӏийса ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалахь вина. Иза яра ХӀарод-паччахь олаллехь волу зама. Ӏийса дуьнен чу ваьлла жимма хан яьлча, Ярушалайм-гӀала баьхкира малхбалехьара хьекъалчаш.</verse>
				<verse number="2">Цара адамашка хоьттура: «Мичахь ву хӀинцца дуьнен чу ваьлла волу жуьгтийн къоман паччахь? Тхуна къеггина схьакхетта болу Цуьнан седа гира. Цундела, Цунна хьалха гора а хӀуттуш, корта тоха даьхкина тхо».</verse>
				<verse number="3">Иза шена хезча, ХӀарод-паччахь синтем байна хьаьвзира, ткъа цуьнца ерриг а Ярушалайм-гӀала сингаттаме хилла дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="4">ХӀарода ша волчу кхайкхира шен махкара динан коьрта дай а, Ӏелам нах а. Цо цаьрга хаьттира: «Муьлхачу меттехь дуьнен чу вала везаш вара Дала леррина Къобалвинарг?» — аьлла.</verse>
				<verse number="5">Цара цуьнга жоп делира: «ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалара, хӀунда аьлча шен йозанна тӀехь пайхамаро аьлла ду:</verse>
				<verse number="6">„Хьо а, ЯхӀуд-махкара Байтлахам-гӀала, ЯхӀудан махкарчу сийлахьчу гӀаланаш юкъахь лахара яц. Хьан махкара вер ву, Сан Исраилан къоман куьйгалхо хилла дӀахӀуттун верг!“»</verse>
				<verse number="7">ТӀаккха ХӀарода къайлаха шена тӀе схьакхайкхира малхбалера баьхкина болу хьекъалчаш. Цаьргара цунна хиира, маца гучубаьлла стигалахь керла седа.</verse>
				<verse number="8">Байтлахам-гӀала уьш дӀахьажош, цо царна тӀедиллира: «ДӀа а гӀой, цу берах лаьцна доллу хӀума а хаа хьовса. Шайна иза карийначул тӀаьхьа соьга хаам бе, цига ваха а вахана, соьга а Цунна Ӏибадат дайта».</verse>
				<verse number="9">Паччахьо шайна тӀедиллиначуьнга ла а доьгӀна, уьш новкъа бевлира. Царна къеггина схьакхетта гина болу седа, хьалха а баьлла, меллаша стигалахула дӀабоьдуш бара. ТӀаьххьара а иза сецира нийсса и бер долчу меттигна тӀехула.</verse>
				<verse number="10">Шайна и сурт гича, хьекъалчаш чӀогӀа хазахетта хьаьвзира.</verse>
				<verse number="11">Шаьш цӀа чу а дахана, шайна и Бер а, Цуьнан нана Марем а гича, цара, гора а хӀиттина, кортош охьа а таӀийна, Цунна Ӏибадат дира. ТӀаккха Цунна совгӀаташ а делира: деши а, хаза хьожа йогӀу еза хӀума а, деза хьакхар а.</verse>
				<verse number="12">ТӀаьхьо царна гӀенах Дела дуьхьалтесира. Цо цаьрга ХӀарод-паччахь волчу юха ма гӀо элира. Цундела уьш кхечу новкъахула шайн махка дӀабахара.</verse>
				<verse number="13">Хьекъалчаш дӀабахча, Юсупна гӀенах Везачу Элан малик дуьхьалтесира. Цо элира: «ХьалагӀатта, схьаэца бер а, цуьнан нана а, Мисар-махка, вадий, дӀагӀо. Аса шайга хаам баллалц, цигахь Ӏе, хӀунда аьлча ХӀарод-паччахь и бер лохуш ву, иза ден гӀерташ а ву».</verse>
				<verse number="14">Юсуп, сама а ваьлла, бер а, Марем а схьа а эцна, буьйсанна Мисар-махка ведда дӀавахара.</verse>
				<verse number="15">ХӀарод-паччахь шен Ӏожаллех кхалххалц, уьш цигахь Ӏийра. Иштта кхочушхилира Везачу Эло пайхамарехула аьлларг: «Мисар-махкара аравалийтархьама схьакхайкхина Аса Сайн кӀанте».</verse>
				<verse number="16">Хьекъалчаша ша левинийла хиъча, ХӀарод-паччахь чӀогӀа оьгӀазвахара. Цо сихонца омра делира, Байтлахам-гӀалахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а шина шарера далаза долу божабераш дайа аьлла. Цу берийн хан цо билгалъяьккхина хьекъалчашца шен хиллачу къамелехула.</verse>
				<verse number="17">Цу тӀехь кхочушхилла Ярми-ЯхӀу-пайхамарехула хилла болу хаам:</verse>
				<verse number="18">«Аз хеза Рами чохь, инзаре мохь, тийжар хеза. Рахьал йоьлху шен берашна, амма цхьаммо а шен дог оьцийла цунна ца лаьа, хӀунда аьлча цуьнан бераш дийна дац».</verse>
				<verse number="19">ХӀарод-паччахь веллачул тӀаьхьа Юсупна Мисар-махкахь юха а Делан малик дуьхьалтесира.</verse>
				<verse number="20">«Хьала а гӀаттий, — элира цо, — бер а, цуьнан нана а схьа а эций, Исраил-махка дӀагӀо, хӀунда аьлча бер ден гӀиртинарш белла».</verse>
				<verse number="21">Бер а, Марем а схьа а эцна, Исраил-махка дӀаваха новкъа велира Юсуп.</verse>
				<verse number="22">Шаьш цига дӀакхачале, цунна хиъна, ХӀарод-паччахь кхелхинчул тӀаьхьа цуьнан дарже дӀахӀоьттинарг паччахьан кӀант Архул вуйла. Иза цига дӀаваха ца хӀоьттира. Амма цунна гӀенах юха а малик дуьхьалтесира. Цо Юсупна цигара дӀаваха тӀедожийра. ТӀаккха Юсуп Галилай-махка дӀавахара.</verse>
				<verse number="23">Уьш Назарт-гӀалахь бха хевшира. Иштта кхочушхилира Дала пайхамарехула аьлларг: «Цунах назартхо эр ду».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">Цхьа зама тӀекхаьчча, Яхьъя ЯхӀуд-махкарчу яьссачу аренгахула кхайкхам беш волавелира.</verse>
				<verse number="2">«Стигалийн Олалла генахь дац шуна! Дохко а довлий, Далла тӀедерза!» — бохура Цо.</verse>
				<verse number="3">Яхьъях лаьцна ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро аьлла: «Яьссачу аренгахь кхойкхучун аз хезаш ду: Везачу Элана некъ кечбе! Нисде Цунна хьалха некъан тачанаш!»</verse>
				<verse number="4">Цу хенахь Яхьъяс эмкалан тӀаргӀанах йина бедарш а лелайора, гӀодаюккъе шуьйра тӀаьрсиган доьхка а доьхкура. Юучу хӀуманах цо билгалдаьккхинарг цӀоз а, акха моз а дара.</verse>
				<verse number="5">Дукха адам догӀура цунна тӀе: Ярушалаймера а, ЯхӀуд-махкара а, Йордан-хи йистехь дехаш долу адамаш а.</verse>
				<verse number="6">Шайх даьллачу къиношна Далла хьалха дохко а бовлий, Йордан-хи чохь шаьш хих чекхдохуьйтура наха Яхьъяга.</verse>
				<verse number="7">Шена тӀеоьхуш дуккха а садукъой а, парушхой а гича, Яхьъяс элира: «Шу лаьхьанан кӀорнел а чӀогӀа зуламе адамаш ма ду! Хьан бина шуьга, тӀедогӀучу къематан дийнах кӀелхьардовла деза аьлла, хаам?</verse>
				<verse number="8">Шу Далла тӀедирзина делахь, шайн дахарехь иза гайта.</verse>
				<verse number="9">„Тхан да ИбрахӀим ву“, — аьлча, шаьш кӀелхьардевр ду ма мотталаш. Делан таро ю оцу Ӏохкучу тӀулгех а ИбрахӀимна тӀаьхье ян.</verse>
				<verse number="10">Орамашна тӀехула диг хьалаайина ду: шена тӀе пайден болу стом латош доцу хӀора дитт, хада а дой, цӀера юккъе кхуссу.</verse>
				<verse number="11">Шу Далла тӀедирзина дела, Ас хих чекхдоху шу, амма сол тӀаьхьа ван везарг сол нуьцкъала ву. Со Цунна мачаш кхехьа а хьакъ вац. Цо шу Делан Синах а дузур ду, цӀарца а дахчор ду.</verse>
				<verse number="12">Цуьнан карахь кӀа ору баьхьа бу. Цо хьаьттахь кӀа цӀандийр ду. КӀа цӀа чу схьагулдийр ду, ткъа кегаш цкъа а дӀайовр йоцучу цӀера юкъахь ягор ю Цо».</verse>
				<verse number="13">Галилай-махкара Йордан-хи тӀе веара Ӏийса, Ша Яхьъяга хих чекхваккхийта.</verse>
				<verse number="14">Иза сацо гӀоьртира Яхьъя: «Со-суо ву Хьоьга хих чекхваккхийта везаш верг. Ткъа Хьо-Хьуо ма веана суна тӀе?»</verse>
				<verse number="15">Ӏийсас цуьнга элира: «Тахана шадерг а иштта хила дезаш ду. Берриг а Делан лаам вай кхочушбан беза». Яхьъя Цо бохучунна резахилира.</verse>
				<verse number="16">Ӏийсас Ша цуьнга хих чекхваккхийтира. Иза хи чуьра араволлушехь, Дала стигалш дӀасаеллаялийтира. Ӏийсана хьалха кхокханан суьртехь лакхара охьадогӀуш долу Делан Са дӀахӀоьттира. Иза нийсса Цунна тӀе охьадеара.</verse>
				<verse number="17">Стигалара схьахезаш долчу озо элира: «Иза ву Сан хьоме КӀант! Цуьнца бу Сан лаам!»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">Цул тӀаьхьа Делан Сино Ӏийса яьссачу аренга дӀавигира, иблисе Иза зейта.</verse>
				<verse number="2">Шовзткъа де-буьйса марха кхобуш дӀадаьлча, Иза чӀогӀа мацвелла хьаьвзира.</verse>
				<verse number="3">Иблисо, Цунна тӀе а дахана, элира: «Хьо Делан КӀант велахь, хьуьлла Ӏохкуш долчу тӀулгашна тӀедожаде, бепиг хила алий».</verse>
				<verse number="4">Ӏийсас жоп делира: «Делан Йозанна тӀехь ма ду: „Адам деккъа цхьана баьпках дехаш дац. Цуьнан вузар — Делан багара схьадаьлла хӀора дош ду“».</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха иблисо, Ӏийса езачу Ярушалайм-гӀала а вигина, Делан цӀийнан тхов буьххье хьалаваьккхира.</verse>
				<verse number="6">«Хьо Делан КӀант велахь, — элира цо, — кхузара чукхоссало. Яздина ма ду: „Везачу Эло Шен маликашка Хьох лаьцна омра дийр ду“. Кхин а яздина ду: „Цара куьйгаш тӀехь дӀахьур ву хьо, хьан ког тӀулгах а ца тасаболуьйтуш“».</verse>
				<verse number="7">Ӏийсас цунна жоп делира: «Амма яздина ду: „Хьайн Веза Дела зе ма гӀерта“».</verse>
				<verse number="8">ТӀаккха иблисо валийра Ӏийса боккхачу лам тӀе. Цу буьххьера цо гайтира кху дуьненахь мел йолу пачхьалкхаш а, церан исбаьхьа хилар а.</verse>
				<verse number="9">«И Хьуна гуш мел дерг аса Хьуна дӀалур ду, Ахьа суна, Далла санна, гора а хӀоьттина, Ӏибадат дахь!»</verse>
				<verse number="10">Ӏийсас элира: «ДӀадала Суна уллора, иблис! Делан Йозанаш тӀехь яздина ду: „Хьайн Везачу Далла бен ма де Ӏибадат, Цунна бен гӀуллакх а ма де!“»</verse>
				<verse number="11">Иблис Ӏийсана тӀаьхьара дӀадаьлча, Иза волчу маликаш схьагулделира, Цунна гӀуллакх а деш.</verse>
				<verse number="12">Яхьъя набахти чу воьллина аьлла Шена хезча, Ӏийса Галилай-махка юхавирзира.</verse>
				<verse number="13">Назарт-гӀала а йитина, Иза Къапарнам-гӀалахь ваха хиира. И гӀала Галилай-Ӏомана йистехь Ӏохкуш долчу Забул-мехкан а, Наптал-мехкан а латтанаш тӀехь хилла.</verse>
				<verse number="14">Иштта кхочушхилира ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамарехула аьлларг:</verse>
				<verse number="15">«Забул-мехкан а, Наптал-мехкан а латтанаш а, Галилай-хӀорда тӀекхачале, Йордан-хил дехьа йолу кхечу къаьмнийн нехан Галилай!</verse>
				<verse number="16">Боданехь Ӏийначу халкъана йоккха серло гира! Ӏожаллин ӀиндагӀехь болчу махкахь Ӏийначу нахана серло къеггина дӀахӀоьттира!»</verse>
				<verse number="17">Цу хенахь дуьйна схьа Ӏийса кхайкхам бан волавелира: «Стигалийн Олалла генахь дац шуна! Дохко а довлий, Далла тӀедерза!» — бохуш.</verse>
				<verse number="18">Цхьана дийнахь, Галилай-Ӏам йистехула дӀавоьдуш, Ӏийсана ши ваша гира: ШамӀий, тӀаьхьо Кипа аьлла цӀе тиллина волу, Ӏандаррий. Уьш чӀерийлецархой бара. Кхунна гиначу хенахь ши ваша хи чу чӀерий лоьцу бой тосуш воллура.</verse>
				<verse number="19">«Суна тӀаьхьахӀитта, — элира цаьрга Ӏийсас, — ткъа Аса хӀинца дуьйна адамийн синош лецархой дийр ду шух».</verse>
				<verse number="20">Уьш, сихонца шайн бойнаш а йитина, Ӏийсана тӀаьхьахӀиттира.</verse>
				<verse number="21">Уьш дӀабоьлхуш, Зевадин ши кӀант — Якъуб а, цуьнан ваша Яхьъя а гира Ӏийсана. Ший а ваша шайн деца Зевадица хинкеман чохь вара, чӀерий лоцу бойнаш тоеш. Ӏийсас уьш а кхайкхина тӀебалийра.</verse>
				<verse number="22">Уьш, шайн да а, хинкема а дитина, Ӏийсана тӀаьхьахӀиттира.</verse>
				<verse number="23">Ӏийса берриг Галилай-махкахула волавелира. Цо нехан гуламан цӀеношкахь Ӏамадора, Стигалийн Олаллех хаза кхаъ кхайкхабора, нах массо а цамгарех тобора.</verse>
				<verse number="24">Цунах лаьцна хабар ерриг Сири-пачхьалкхехула дӀадаьржира. Ӏийса волчу блабора тайп-тайпана цамгарш кхетта болу нах: жинаша хьийзош берш а, лазар догӀуш берш а, шен дегӀан дола ца далуш берш а. Царна массарна а Цо дарба а дора.</verse>
				<verse number="25">Дукха адам дара Цунна тӀаьхьа лелаш Галилайра а, Иттшахьар-махкара а, Ярушалаймера а, ЯхӀуд-махкара а, Йордан-хил дехьа Ӏаш долу адамаш а.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">Цхьана дийнахь Ӏийсана уллохь дукха адам гулделлера. Иза, ламанан басе хьалаваьлла, охьахиира. Ӏийсана тӀе гулбелира Цуьнан мурдаш.</verse>
				<verse number="2">ТӀаккха Ӏийса царна хьехам бан волавелира:</verse>
				<verse number="3">«Декъалбина бу миска са долуш болу нах — уьш, Стигалийн Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь бу.</verse>
				<verse number="4">Декъалбина бу боьлхуш берш — церан дог оьцур ду.</verse>
				<verse number="5">Декъалбина бу эсала амал ерш — дерриг а дуьне церан хир ду.</verse>
				<verse number="6">Декъалбина бу бакъоне кхача хьагбелларш — Дала церан лаам кхочушбийр бу.</verse>
				<verse number="7">Декъалбина бу къинхетаме берш — царах а бийр бу къинхетам.</verse>
				<verse number="8">Декъалбина бу цӀена дог дерш — царна Дела гур ву.</verse>
				<verse number="9">Декъалбина бу нахана юкъахь машаре гӀуллакх лелорш — царна, Делан бераш ду аьлла, цӀе туьллур ю.</verse>
				<verse number="10">Декъалбина бу, бакъонна тӀаьхьахӀиттина аьлла, таӀзаре озийнарш — уьш, Стигалийн Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь бу».</verse>
				<verse number="11">«Декъалдина ду шу, наха сийсаза дохуш, тӀаьхьа а бевлла, харц хабарш а дуьйцуш, Со бахьана долуш бехкедеш лелаш делахь.</verse>
				<verse number="12">Хазахетарца даккхийделаш! ХӀунда аьлча стигалшкахь йоккха ял хир ю шуна. Иштта хьийзийна пайхамарш а, шул хьалха хилла болу».</verse>
				<verse number="13">«Шу Лаьттан туьха ду. Нагахь санна туьхан чам дӀабаьлча, иза муха дурдийр ду? Иза, нахе когашца хьеша а хьешийтина, дӀакхоссан бен, цхьанна а хӀуманна пайденна дац.</verse>
				<verse number="14">Шу дуьненан серло ю. Ламанан буьххьехь лаьтташ йолу гӀала къайлаяккха йиш яц.</verse>
				<verse number="15">Иштта латийна йолчу стогарна тӀехула кхаба ца хӀоттайо — иза лаккхахь дӀахӀоттабо, цуьнга чохь мел волчунна а серло ялийта.</verse>
				<verse number="16">Нахана шуьгара серло гойла, шун дика гӀуллакхаш гайтархьама а, адамашка Далла хастам байтархьама а».</verse>
				<verse number="17">«Ма мотталаш, Со товрат тӀера хьехамаш я пайхамарша яздинарш дӀадаха веана. Со и хьехамаш дӀабаха веана вац, ткъа уьш кхочушбан веана ву.</verse>
				<verse number="18">Аса чӀагӀо йо шуна: стигаллий, латтий дозуш а долуш, товрат-хьехамашна юккъера цхьа элп я цхьа сиз а дӀадоккхур дац, цу тӀехь аьлларг кхочушхиллалц.</verse>
				<verse number="19">Товрат-хьехам тӀера кӀеззиг долу хӀума а талха а дина, нахе а изза де бохуш верг Стигалийн Олаллехь лаххара мах болуш хир ву. Ткъа шена тӀедиллина долу парз кхочуш а деш, иза нахе дӀа а кховдош хилча, иза лакхара лорур ву.</verse>
				<verse number="20">Аса боху шуьга: нагахь санна шун Делан лаамехь хилар парушхойн а, Ӏелам нехан а чул лакхара ца хилахь, Стигалийн Олалла тӀелаца а, Далла уллохь хила а шун йиш хир яц».</verse>
				<verse number="21">«Шуна ма-хаъара, вайн дайшка аьлла хилла: „Адам ма де. ХӀора стаг вийна волу зуламхо кхелахочо жоьпе озор ву“.</verse>
				<verse number="22">Ткъа Аса боху шуьга: шена уллорачунна оьгӀазвахана волу хӀора стаг кхелахочо жоьпе озор ву. Стага шен вешина а „Ӏовдал!“ аьллехь, цунна коьртачу кхеташоно таӀзар дийр ду. Шена уллохь волчуьнга: „Яьсса хӀума!“ — аьлла, вистхилларг, жоьжахатин цӀера хьалха а хӀоттийна, жоьпе озор ву.</verse>
				<verse number="23">Цундела хьуо Далла сагӀа даккха воьдучу хенахь цхьаъ хьайна реза воцуш хилар хьайна дага дагӀахь,</verse>
				<verse number="24">и совгӀат сагӀа доккхучу кхерчана йисте охьа а диллий, цу стагаца куьйге ваха хьажа. Цигара юхавирзинчул тӀаьхьа дийр ду ахьа Далла гӀуллакх.</verse>
				<verse number="25">Хьо кхелахочуьнга дӀавала кечвеллачуьнца, шаьш цига дӀакхачале, катоххий барт бан хьажа, куьйге а гӀо. Ахьа иза ца дахь, хьан довхочо хьо кхелахочуьнга дӀалур ву, ткъа цо гӀаролхочуьнга а велла, набахти чу кхуссуьйтур ву.</verse>
				<verse number="26">Билггала боху хьоьга: цигара хьо аравер вац, тӀаьххьарчу шайнна тӀекхаччалц, дерриг а хьайн декхар дӀаделла а бен».</verse>
				<verse number="27">«Шуна хезний: „Нахаца ма лела“, — аьлла хилар?</verse>
				<verse number="28">Ткъа Аса боху шуьга: нехан зудчуьнга ямарта ойланца дӀахьаьжначо шен даг чохь зуда-майрачун юкъаметтиган тешаме хилар дӀадаьккхина.</verse>
				<verse number="29">Нагахь санна хьан аьтту бӀаьрг къинош летош белахь, иза схьа а баккхий, дӀакхосса. Хьайн дегӀан цхьана меженах влар гӀоле ду хьуна, жоьжахатин цӀергахь вагавойтучул.</verse>
				<verse number="30">Хьайн аьтту куьг къилахь долчунна тӀегӀерташ делахь, и куьг дӀа а даккхий, дӀакхосса. Хьайн дегӀан цхьана меженах влар гӀоле ду хьуна, жоьжахатин цӀергахь вагавойтучул».</verse>
				<verse number="31">«Аьлла ду: „Шен зудчуьнца дӀасакъаьсташ волчо цунна йозанца тоьшалла дала деза“.</verse>
				<verse number="32">Ткъа Аса боху шуьга: зуда тешаме ца хиларца доьзна доцучу дӀасакъастаро, зуда нийса боцучу некъа тӀе тоьтту. И санна йолу зуда ялочо ямартло йо».</verse>
				<verse number="33">«Вайн дайшкара дуьйна аьлла ду: „Айхьа Везачу Элана биина болу дуй ма къарбе, иза кхочушбан хьажа“.</verse>
				<verse number="34">Ткъа Аса боху шуьга: цкъа а дуй ма баа. Стигалех а ма е чӀагӀо — иза стигалийн Паччахьан шахьар ю.</verse>
				<verse number="35">Лаьттах а ма е чӀагӀо — Латта а Делан Олаллехь ду. Ярушалаймах лаьцна а ма баа дуй — иза веза воккхачу Паччахьан гӀала ю.</verse>
				<verse number="36">Шайн коьртах лаций а ма е чӀагӀо, хӀунда аьлча коьртара цхьа чо я кӀайбан а, я Ӏаржбан а шун ницкъ кхочур бац.</verse>
				<verse number="37">Шаьш, „хӀаъ“ аьлла, чӀагӀо яхь, иза „хӀаъ“ хилийта. „ХӀан-хӀа“ шайн ала дезахь, цу тӀехь латта. Цу шина дашал сов даьлларг — иблисан лаам бу шуна».</verse>
				<verse number="38">«Шуна хезна ду хьалха аьлла хилларг: „Хьайн бӀаьрг баккхахь, — цунна дуьхьал бӀаьрг баккха, цергана дуьхьал церг яккха“.</verse>
				<verse number="39">Аса-м шуьга боху: хьайна зулам динчунна дуьхьал ма вала. Хьайна аьтту бесни тӀе тӀара тоьхнехь, аьрру агӀор йолу бесни а зуламхочунна тӀеерзае.</verse>
				<verse number="40">Кхелехь хьуна тӀера коч а къевсина, хьайца девне ваьллачунна, мел еза елахь а, важа бедар а дӀало.</verse>
				<verse number="41">Хьайна ницкъ а беш, хьайга эзар гӀулч яккхийта гӀортахь, ши эзар гӀулч а йоккхуш, дӀагӀо.</verse>
				<verse number="42">Хьайга хӀума йиэха веанчун дехар кхочуш а де, хьайга юхалург еха веанчунна букъ а ма берзабе».</verse>
				<verse number="43">«Шуна хезна хьалха аьлла хилларг: „Хьайн уллораниг веза, мостагӀчуьнца гома а хила“.</verse>
				<verse number="44">Ткъа Аса боху шуьга: шайн мостагӀий беза, хьайна зулам деш берш Деле беха —</verse>
				<verse number="45">шайн стигалахь волчу Ден бераш шу хилийта. Цо цхьа а ца къаставо шуна: Цо малх массарна а къоьгуьйту — дикачунна а, вочунна а. ДогӀа а Цо цхьатерра доуьйту Шен лаамехь болчарна а, боцучарна а.</verse>
				<verse number="46">Шуна шайца дика берш бен безаш ца хилча, цунах хӀун пайда хир бу? Иза санна йолу юкъаметтиг-м ял йоккхучара а лелайо шуна.</verse>
				<verse number="47">Шайн вежаршка бен аша салам луш ца хилча, цунах тамаш бан меттиг яц шуна. И санна йолу юкъаметтиг дин доцучу наха а лелайо шуна.</verse>
				<verse number="48">Цундела, шайн стигалахь волу Да санна, дуьззина цӀена хила».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="6">
				<verse number="1">«Варелаш, шаьш Далла деш долу гӀуллакх нахана гайта гӀерташ ма лелалаш. Иза аша шайгара далийтахь, шун стигалахь волчу Дегара ял хир яц шуна.</verse>
				<verse number="2">Айхьа сагӀа лучу хенахь, иза нахе кхайкхо ма гӀерта, шалхалла йолчу наха санна, гуламан цӀенош чоххьий, ураман некъашкахь шаьш нахе хастадайтархьама. Аса тоьшалла до шуна: царна йогӀуш йолу ял иштта а дӀакхаьчна шуна.</verse>
				<verse number="3">Айхьа мискачунна сагӀина хӀума лучу хенахь хьайн аьрру куьйге а ма хаийта аьтту куьйго лелош дерг,</verse>
				<verse number="4">айхьа лун сагӀа къайлаха хилийта. Шадерг а гуш волчу хьан Дас хьуна йогӀу ял дӀалур ю».</verse>
				<verse number="5">«Шаьш доӀа дечу хенахь шайца шалхалла йолчу нахах дӀа ма тарло, гуламан цӀенош чохь а, ураман некъашкахь а нахана шаьш гайтархьама доӀанаш дан дӀахӀуьттуш болчу. Аса тоьшалла до шуна: царна шайна йогӀуш йолу ял дӀакхаьчна.</verse>
				<verse number="6">Ткъа ахьа хьайн доӀа дечу хенахь, хьайн цӀа чу а валий, чӀоггӀа неӀ тӀе а таттий, къайлаха волчу хьайн Дега доӀа де. Къайлаха мел дерг гуш волчу хьан Дас боггӀу мах хадор бу хьан.</verse>
				<verse number="7">Ткъа айхьа доӀа дечу хенахь, кхечу къаьмнех болчу наха санна, ца оьшуш мел дерг ма дийца. Царна моьтту, шаьш къамел дукха мел до а, иза дикахо дӀахезар ду Далла.</verse>
				<verse number="8">Царах дӀа ма тарло, хӀунда аьлча шун Дена аш Шега дехар а дале хаьа, шуна хӀун оьшу.</verse>
				<verse number="9">Цундела шаьш доӀа дечу хенахь хӀокху дешнашна тӀе тидам бахийта: Тхан стигалара Да! Хьан цӀе сийлахь хуьлда!</verse>
				<verse number="10">Хьан Олалла тӀекхочийла. Стигалшкахь санна, лаьттахь а Хьан лаам кхочушхуьлийла.</verse>
				<verse number="11">Тахана даъал напха лохьа тхуна!</verse>
				<verse number="12">Дехьа тхуна геч, тхайна декхарийлахь болчарна оха ма-гечдарра.</verse>
				<verse number="13">Хьарам лаамна кӀел а ма дахийтахьара Ахьа тхо, иблисах а лардахьара.</verse>
				<verse number="14">Наха шуна йинчу хьарамаллина аша гечдахь, стигалахь волчу шун Дас шуна а дийр ду геч.</verse>
				<verse number="15">Амма шу шайна вас йинчарна даггара къинтӀера ца довлахь, шун Да шуна а вер вац аша летийначу къиношна къинтӀера».</verse>
				<verse number="16">«Шаьш марха кхобучу деношкахь, шалхалла йолу нах санна, олла а делла, дастам девлла ма лела, хӀунда аьлча уьш шаьш марха кхобийла нахана дӀагайта гӀерташ лела. Аса ма-аллара, царна йогӀуш йолу ял дӀакхаьчна шуна.</verse>
				<verse number="17">Айхьа марха кхобучу хенахь хьайн юьхь а йилий, хила ма-веззара лела,</verse>
				<verse number="18">нахана хьуо марха кхобуш вуйла а ца гойтуш. Хьан Дена иза хууш ду хьуна, Иза хьуна гуш вацахь а. Шадерг а гуш волчу хьан Дас хьуна йогӀу ял дӀалур ю».</verse>
				<verse number="19">«Дуьненан хьал ма гулде. Иза, нецано а талхош, мекхано хӀаллак а деш, лаьттар ду, я къуша, чу а бевлла, лачкъийна дӀахьур ду.</verse>
				<verse number="20">Стигалахь гулде шайна хьал. Цигахь иза нецано талхор а дац, мекхано хӀаллак а дийр дац, я къуша, чу а бевлла, дӀа а хьур дац.</verse>
				<verse number="21">Хьан хьал долчохь хьан дог а хир ду.</verse>
				<verse number="22">Стеган бӀаьрг цуьнан дегӀан серлонан хьоста ду. Цундела хьан ши бӀаьрг цӀена белахь, хьан дерриге а дегӀ серлонах дуьзна хир ду.</verse>
				<verse number="23">Амма хьан бӀаьргаш цӀена бацахь, хьан дерриг дегӀ а бодане ду! Цу боданал бен хьох серло яцахь, ма инзаре боккха хила беза-кх и бода!</verse>
				<verse number="24">Цхьана стеган шина элан ялхо хила йиш яц. Цунна цхьа хӀусамда везар ву, важа везар вац, я цхьанна хьесталур ву, ткъа вукхунах вешар вац. Цундела цхьаьний — Далла а, хьолана а ялхой хилалур дац шу».</verse>
				<verse number="25">«Цундела Аса боху шуьга: дахаран дуьхьа юучунна, молучунна са ма гатде. Шайн дегӀан дуьхьа духарна а са ма гатде. Шун дахар юучул дезах ду шуна, ткъа дегӀ духарал дезах ду.</verse>
				<verse number="26">Хьовсал стигаларчу олхазаршка! Цара хӀумма дӀа а ца йоь, хьакха а ца хьокху, ялташ чу а ца дерзадо. Амма стигалахь волчу шун Дас уьш кхобу. Шун дахар олхазарийнчул а дораха ду теша?</verse>
				<verse number="27">Я шуьга цу тайпана сагатдарца шайн дахар цхьана сахьтана дахдалийталур ду теша?</verse>
				<verse number="28">Бедар бахьана долуш са хӀунда гатдо аша? Хьажал аренгахь тӀедолуш долчу петӀамат-зезагашка. Цара цхьа а тайпана къа а ца хьоьгу я шайна бедарш а ца тоьгу.</verse>
				<verse number="29">Амма Ас боху шуьга, ур-атталла шен хьолан возаллехь Сулим-паччахь а ца кечлора цу зезагех муьлхха а санна.</verse>
				<verse number="30">Иштта эрна арахь тӀедолуш долу зезагаш а Дала цу тайпана кечдеш хилча, кхана уьш цӀергахь догур доллушехь, шу кхин а чӀогӀа кечдийр ма ду, Делах кӀезиг тешаш дерш.</verse>
				<verse number="31">Цундела кест-кестта: „Оха хӀун юур ю теша?“, я: „ХӀун мер ю теша?“, я: „ХӀун тӀеюхур ю теша?“ — бохуш, шайн са ма гатде.</verse>
				<verse number="32">Цу тайпана сагатдо кхечу къаьмнех болчу наха. Ткъа шун стигалахь шайн Да ву, шуна мел оьшург хаа а хууш.</verse>
				<verse number="33">Уггар хьалха Делан Олалла а, Цуьнан лаам а лаха. Важа дерриг а Дала шуна лур ду.</verse>
				<verse number="34">Кханенна сагатдеш ойла ма е — цуьнан шен Да ву. ХӀора де а шен гӀайгӀа яхьаш догӀу».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="7">
				<verse number="1">«Цхьанна а кхел ма е, Дала шуна а кхел йийр яц.</verse>
				<verse number="2">Аша нахана кхел ярх терра, шуна а кхел йийр ю. Аша нехан ма-хаддора, Дала шун а хадор бу мах.</verse>
				<verse number="3">Хьайна уллохь волчун бӀаьргара чамхалге хӀунда хьоьжу хьо, хьайн бӀаьргара хен а ца гуш?</verse>
				<verse number="4">Хьоьга муха алалур ду хьайн веше: „Схьахьажал, аса бӀаьргара чамхалг дӀайоккху хьуна“, хьайн бӀаьргахь хен боллушехь?</verse>
				<verse number="5">Шалхонча, цкъа хьайн бӀаьргара хен дӀабаккха, тӀаккха са гур ду хьуна, хьайн вешин бӀаьргара чамхалг схьаяккха.</verse>
				<verse number="6">Далла гергахь еза йолу хӀума жӀаьлеш дӀа ма луо, уьш, юха а дирзина, шух летар ду. ЖовхӀарш хьакхарчашна хьалха а ма кхисса, цаьрга уьш ца хьешийта».</verse>
				<verse number="7">«Деле диэха — Цо дехнарг лур ду шуна. Дела лаха — Иза карор ву шуна, неӀ тоха, иза дӀайоьллур ю шуна,</verse>
				<verse number="8">хӀунда аьлча хӀора доьхучунна жоп ло Дала, лохуш волчунна карадойту, неӀ тухучунна — схьайоьллуьйту.</verse>
				<verse number="9">Шуна юкъахь вуй теша стаг, шега шен кӀанта бепиг дехча, цуьнга тӀулг кховдон верг?</verse>
				<verse number="10">Я чӀара бехча, цуьнга лаьхьа кховдон верг?</verse>
				<verse number="11">Шаьш мел къиза делахь а, шайн берашна оьшург аша луш хилча, стигалахь волчу шун Дас мел дукха дика болх бийр бу Шега доьхуш волчунна!</verse>
				<verse number="12">Цундела нахаца йолу юкъаметтиг уьш шайца схьа хила ма-лаъара лелае. Иза товрат тӀера бинчу хьехамашна а, пайхамаршна яздинчунна а тӀера схьадогӀуш ду».</verse>
				<verse number="13">«Далла уллорачу дахаре боьду некъ готта бу шуна. Цундела готта ков а, некъ а лаха. Шуьйра ков а долуш, шуьйра некъ — иза стаг хӀаллакьхуьлу некъ бу. Дукха нах дӀабоьлху цу новкъахула.</verse>
				<verse number="14">Дахарна тӀевоьдучохь долу ков готта ду, цу тӀе боьдуш болу некъ хала бу. КӀеззигчарна бен иза кара а ца бо.</verse>
				<verse number="15">УьстагӀийн аматехь шайна дуьхьал хӀуьттуш болчу харц-пайхамарех ларлолаш. Кийрахь луьрачу берзан дог ду шуна церан.</verse>
				<verse number="16">Уьш шайн стоьмаца бевзар бу шуна. Гулйой аша коканийн кулла тӀера кемсаш, я вирбаӀ тӀера комарш?</verse>
				<verse number="17">Дикачу дитто дика стом ло, ткъа вуочу дитта тӀехь вон стом кхуьу.</verse>
				<verse number="18">Дикачу дитта тӀехь вон стом кхиа а йиш яц, амма вуочу дитта тӀехь дика стом а ца хуьлу.</verse>
				<verse number="19">ХӀора вон дитт, цу тӀехь дика стом кхуьуш бацахь, схьа а хададой, цӀера юккъехь дагадо.</verse>
				<verse number="20">Иштта, харцпайхамарш церан гӀуллакхаша бовзуьйту.</verse>
				<verse number="21">ХӀора Соьга: „Ва сан Веза Эла“ бохуш волчо Стигалийн Олалла тӀелоцур дац. Цига кхочун верг стигалахь волчу Сан Ден лаам кхочуш а беш, Цунна муьтӀахь хила веза.</verse>
				<verse number="22">Дуккха а болчара эр ду Соьга цу дийнахь: „Ва Веза Эла! Хьан цӀарах ца бора оха Делера болу хаам? Хьан цӀарах дӀа ца лелхадора оха жинаш? Хьан цӀарах ца бора оха дуккха а тамашийна белхаш?“</verse>
				<verse number="23">Ткъа Аса цаьрга эр ду: „Генадовлал Суна уллора, харц белхаш лелош дерш! Суна шу цкъа а девзаш ца хилла!“»</verse>
				<verse number="24">«Цундела Соьга ла а дугӀуш, Аса аьлларг деш верг шен шахьар буточу тархана тӀехь юттучу стагах тера ву.</verse>
				<verse number="25">ДогӀа а тӀедоьттина, хиш а дистина деана, чӀогӀа мох а хьаькхна, амма цуо дина долчу цӀенна хӀумма а ца хилла, хӀунда аьлча цу цӀийнан бух буточу тархана тӀехь боьттина бу.</verse>
				<verse number="26">ХӀинца Аса бохучуьнга ладугӀуш воцург шен цӀийнан бух гӀамаршна тӀехь боьттинчух тера ву.</verse>
				<verse number="27">ДогӀа а деача, хиш дистина а деача, мох а хьаькхча, цуьнан цӀа тӀе а кхетта, доьхна дӀадаьлла, схьаэца хӀума а доцуш».</verse>
				<verse number="28">Ӏийса и дешнаш аьлла ваьлча, адамаш Цуьнан хьекъалх чӀогӀа цецдевллера,</verse>
				<verse number="29">хӀунда аьлча церан Ӏеламчу наха санна а доцуш, олалла долчо санна хьоьхура Цо.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="8">
				<verse number="1">Ӏийса ламанан басера охьавоьссича, Цунна тӀаьхьа дукха адам хӀоьттира.</verse>
				<verse number="2">Цунна тӀе веара чкъураца ца йоьрзу цамгар йолу цхьа стаг. Ӏийсана хьалха гора а хӀоьттина, цо дийхира: «Эла! Хьайна лиъча, со товийр вара-кх Ахьа».</verse>
				<verse number="3">Куьг дӀа а кховдийна, цунах дӀа а Ӏоьттина, Ӏийсас элира: «Суна лаьа хьо товала! ЦӀанло!» Цу сохьта и стаг цамгарх товелира.</verse>
				<verse number="4">«ХӀокху хӀуманах лаьцна цхьаьнгге ма дийцалахь. Ваха а гӀой, хьо динан дега а гайтий, тӀаккха Далла лерина сагӀина хӀума ло, Муса-пайхамаро вайна тӀе-ма-диллара. Хьо товаларан тоьшаллина хир ду иза нахана хьалха».</verse>
				<verse number="5">Ӏийса Къапарнаме кхаьчча, Цунна тӀевеара римхойн тӀемалойн хьаькам. Цо гӀо дийхира Ӏийсага:</verse>
				<verse number="6">«Эла! ЦӀахь, энаша дӀа а лаьцна, чӀогӀа могуш воцуш Ӏуьллуш ялхо ву-кх сан».</verse>
				<verse number="7">Ткъа Ӏийсас элира: «ДӀа а веана, Аса товийр ву иза».</verse>
				<verse number="8">ТӀемалойн хьаькамо элира Цуьнга: «Эла! Со хьакъ вац Хьо сан тхов кӀел ван. Ахьа омра дича, сан ялхо толур вара.</verse>
				<verse number="9">Иза суна дика хаьа, хӀунда аьлча суна тӀехь лаьтташ а ву хьаькам. Сан сайн карахь а бу тӀемалой. Аса „Валол!“ аьлча, царах муьлхха а ваха веззачу дӀавоьду. Вукхуьнга „Схьавоьл кхуза!“ аьлча, иза схьавогӀу. Сайн ялхочуьнга „Иза де!“ олу, цо и гӀуллакх до».</verse>
				<verse number="10">Ӏийсана и къамел хезча, Цо цецваларца Шена тӀаьхьахӀоьттинчаьрга элира: «Ас билггал боху шуьга, цу тайпана Делах тешар Суна исраилхошна юкъахь а ца карийна.</verse>
				<verse number="11">Кхин цхьаъ эр ду Аса шуьга: дукхахболчара малхбалерий, малхбузерий схьа а баьхкина, цу тойнехь Стигалийн Олаллехь ИбрахӀимний, Исхьакхний, Якъубний уллохь меттиг дӀалоцур ю.</verse>
				<verse number="12">Ткъа Шаьш Делан Олалле тӀекхаьчна хеттарш-м Ӏаьржачу бодане арабаьхна хир бу. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а хир ду».</verse>
				<verse number="13">Ӏийсас тӀеман хьаькаме элира: «Вало, дӀагӀо, хьо тешаш дерг кхочушхуьлийла». Цо и оллушехь, хьаькаман ялхо товелира.</verse>
				<verse number="14">Кипа волчу Ӏийса веача, Цунна гира, хӀусамден стуннана, чӀогӀа дгар а долуш, цомгуш Ӏуьллуш.</verse>
				<verse number="15">Иза, куьг дӀа а кховдийна, цуьнан куьйгах дӀаӀоттавелира. Дгар дӀа а даьлла, хьала а гӀаьттина, царна хьошалла дан йолаелира цомгушниг.</verse>
				<verse number="16">Суьйранна Ӏийсана тӀебалийра жинаша хьийзош болу нах. Ӏийсас Шен дашаца жинаш дӀалелхийра, кхиболу цомгуш берш туо а бира.</verse>
				<verse number="17">Иштта кхочушхилира ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро аьлларг: «Вайн эгӀазаллаш тӀе а лаьцна, Цо вайн цамгарш дӀаяьхьира».</verse>
				<verse number="18">Шена гонах адамийн тоба гича, Шен мурдашка Ӏоман дехьарчу берда тӀе довла элира Ӏийсас.</verse>
				<verse number="19">Цхьа Ӏелам стаг, Кхунна тӀе а веана, вистхилира: «Сан Устаз, со Хьуна тӀаьхьа хӀуттур ву, Хьо миччахьа а водахь а».</verse>
				<verse number="20">Ӏийсас цуьнга элира: «Цхьогалийн а, олхазарийн а чохь Ӏан баннаш ду, ткъа Адамийн КӀентан корта дӀатовжо меттиг а яц».</verse>
				<verse number="21">Ткъа вукху мурдо Кхуьнга элира: «Сан Эла! Пурба лохьа суна, цкъа, цӀа а вахана, сайн да дӀаволла».</verse>
				<verse number="22">Амма Ӏийсас цуьнга элира: «ТӀаьхьахӀотта Суна, белларш беллачарна бита».</verse>
				<verse number="23">Иза хинкеманна чу хиича, мурдаш Цунна тӀаьххье чухевшира.</verse>
				<verse number="24">ХӀорд чӀогӀа ловзабелира, яккхийчу тулгӀенаша хӀордкема дӀасакхуьйсура. Амма Ӏийса вижначуьра меттах ца волура.</verse>
				<verse number="25">ТӀаккха, тӀе а бахана, Кхуьнан мурдаша Иза самаваьккхира. Цара элира: «Эла! КӀелхьардахахьа вай! Ӏожалла улло кхаьчна-кх вайна!»</verse>
				<verse number="26">Ткъа Цо элира: «Стенах кхоьру шу, Делах кӀезиг тешарш?» Хьала а гӀаьттина, Цо мохе а, тулгӀенашка а омра дира. Цу сахьтехь, цхьа а гӀар-тата доцуш, тийналла дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="27">Наха цецбовларца бохура: «Мила ву техьа Иза, мох а, хиш а Цунна къарлуш хилча?»</verse>
				<verse number="28">Ӏийса гадархой болчу кхаьчча, нах дӀабоьхкинчу хьеха чуьра аравелира жинаша хьийзош волу ши стаг. Уьш чӀогӀа дера хилар бахьана долуш, цу новкъахула цхьа а стаг лела ваьхьаш вацара.</verse>
				<verse number="29">Цара мохь хьоькхура: «ХӀун оьшу Хьуна тхоьгара, Делан КӀант? Тхан хан тӀекхачале, тхо хьийзо веана Хьо кхуза?» — бохуш.</verse>
				<verse number="30">Генахь боццуш бежаш хьакхарчийн боккха бажа бара.</verse>
				<verse number="31">Жинаша Ӏийсага дехар дора: «Цу нехан кийрара Ахьа тхо лахкахь, хьакхарчийн кийранашка тхо доссадахьара Ахьа», — бохуш.</verse>
				<verse number="32">Цо элира: «ДӀагӀо!» Нахана чуьра ара а девлла, жинаш хьакхарчийн кийранашка дӀахьаьвдира. Цу сахьтехь хьакхарчийн бажа лекхачу берда тӀера Ӏам чу кхоссабелира, цу юкъахь мел йолу хьакха хи буха а йоьдуш.</verse>
				<verse number="33">Ткъа хьакхарчийн Ӏуй цу меттера бевдира. ГӀала дӀа а бахана, цара хьакхарчашна хилларг а, жинаша хьийзош болчу нахана хилларг а массарна дӀадийцира.</verse>
				<verse number="34">Цу гӀалахь мел долу адам Ӏийсага хьажа араделира. Иза шайна гиначул тӀаьхьа цара Цуьнга дехар дира, цигара дӀагӀо аьлла.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="9">
				<verse number="1">Ӏийса, хинкеманна тӀе а хиъна, Ӏам тӀехула дехьа а ваьлла, Шен гӀала кхечира.</verse>
				<verse number="2">Цунна тӀе валийра шен дегӀан дола ца далуш волу цхьа стаг. Иза, хьалагӀатта де доцуш, меттахь Ӏуьллуш вара. Ӏийсас, уьш Делах тешаш хиларх Ша кхеттачул тӀаьхьа, заьӀапхочуьнга элира: «Доьналла долуш хила, сан кӀант, хьан къиношна гечдина».</verse>
				<verse number="3">Иза хезна болчу Ӏеламчу наха шайн дагахь бохура: «Цу стага ма Ӏеса къамел до!»</verse>
				<verse number="4">Церан дагахь дерг Ӏийсана хаьара. Цундела Цо цаьрга элира: «Вон ойланаш хӀунда ю шун даг чохь?</verse>
				<verse number="5">Муьлха ду ала атта: „Хьан къиношна гечдина“ я: „Хьала а гӀаттий, дӀагӀо“?</verse>
				<verse number="6">Амма Суна лаьа шуна хаийта Адамийн КӀентан дуьнен тӀехь къиношна гечдан олалла дуйла». Цомгуш волчуьнга Ӏийсас элира: «ХьалагӀатта, хьайн мотт-гӀайба схьа а эций, цӀа гӀуо».</verse>
				<verse number="7">Важа, хьала а гӀаьттина, цӀа вахара.</verse>
				<verse number="8">Адамийн тоба, шена и хӀума гича, чӀогӀа кхера а елла, Далла хастамаш бан йолаелира, Цо адамашна оццул чӀогӀа бакъо яларна.</verse>
				<verse number="9">Ӏийса цигара дӀавоьдучу хенахь Цуьнан бӀаьрг кхийтира Маттай цӀе йолчу стагах. Иза ял схьагулъеш болчеран бун чохь Ӏаш вара. Ӏийсас элира: «Суна тӀаьххье схьавола!» Маттай, хьала а гӀаьттина, Цунна тӀаьхьа дӀавахара.</verse>
				<verse number="10">Ӏийса Шен мурдашца Маттайн хӀусамехь яа хӀума юуш Ӏаш хилла. Царна тӀе а баьхкина, цаьрца яа хӀума яа охьахиира ял схьагулъеш болу наххий, адамашна юккъехь къинош летийна аьлла, цӀе яхана болу наххий.</verse>
				<verse number="11">Шайна и сурт гича, парушхоша Цуьнан мурдашка хаьттира: «Шун Устаз ял схьагулъеш болчаьрций, къинош летийначаьрций хӀума юуш хӀунда Ӏа?»</verse>
				<verse number="12">Иза Шена хезча, Ӏийсас элира: «Могуш болчарна лор оьшуш вац, цомгуш болчарний бен.</verse>
				<verse number="13">Даха а гӀой, хьажа Делан Йозанашкахь яздинчуьнга: „Суна шун вовшашца къинхетамалла хилар деза ду, аша Сан дуьхьа дохучу сагӀанел“. Бакъахьара лелачаьрга кхайкхам бан ца веана Со, къинош летийначаьрга бен».</verse>
				<verse number="14">Яхьъян мурдаша, Ӏийсана тӀе а баьхкина, хаьттира: «Охий, парушхоший кест-кестта марха кхобу, ткъа Хьан мурдаша цкъа а марха кхобуш ма ца го?!»</verse>
				<verse number="15">Ткъа Ӏийсас элира: «Зуда ялош волчун накъостий гӀайгӀане хуьлий, иза шайна юкъахь мел ву? Амма тӀедогӀур ду зуда ялош верг кхарна юккъера дӀавуьгун волу цхьа де. ТӀаккха хир бу уьш гӀайгӀане, марха кхаба а болалур бу.</verse>
				<verse number="16">Цхьаммо а ца латайо цӀеначу кӀадих тишачу бедарна йома, хӀунда аьлча и йома гатъелла, оза а елла, дӀахӀоьттича, бедар тӀера Ӏуьрг кхин а доккха хир ду.</verse>
				<verse number="17">Керла чагӀар тишачу пӀаьлдиг чу а ца дутту. ПӀаьлдиг бетӀар бу, чагӀар чуьра охьагӀур ду. ПӀаьлдиг а хӀаллакьхир бу. Амма керла чагӀар керлачу пӀаьлдиг чу дутту: пӀаьлдиг а, чагӀар а шен меттехь хир ду».</verse>
				<verse number="18">Цо и къамел дечу хенахь Ӏийсана тӀевеара гуламан цӀийнан куьйгалхо. Цунна хьалха гора а хӀоьттина, цо элира: «Сан йоӀ хӀинцца дӀаяьлла. Хьо ван а веана, Ахьа цунна тӀе куьйгаш дехкича, иза денлур яра».</verse>
				<verse number="19">Ӏийса, хьала а гӀаьттина, Шен мурдашца цунна тӀаьхьа дӀавахара.</verse>
				<verse number="20">Цигахь, шийтта шарахь цӀий ца соцуш, цомгуш йолу зуда яра. Ӏийсана тӀехьахула тӀе а еана, Цуьнан бедарх кхозуш йолчу чечакхах дӀахьакхаелира иза.</verse>
				<verse number="21">Массо а хенахь ша-шега цо олура: «Цкъа мукъана а Цуьнан бедарх со дӀахьакхаелча, со толур яра».</verse>
				<verse number="22">Ӏийсас, юха а вирзина, и зуда Шена гича, элира: «Доьналла долуш хила, Сан йоӀ! Хьан тешаро тойина хьо!» И зуда цу сохьта тоелира.</verse>
				<verse number="23">Ӏийса гуламан цӀийнан куьйгалхо волчу цӀа веача, Цунна гира зурманчаш а, доьлхуш, доьхна адам а.</verse>
				<verse number="24">Цо элира: «ДӀагӀо кхузара! ЙоӀ яла ца елла, иза йижина Ӏуьллуш ю!» Амма нах Кхунах боьлуш лаьтташ бара.</verse>
				<verse number="25">Уьш цӀа чуьра аралаьхкича, Ӏийсас, йоӀ йолчу чу а вахана, цуьнан куьг схьалецира. ЙоӀ Ӏуьллучуьра хьалагӀаьттира.</verse>
				<verse number="26">Цу тамашийначу хӀуманах лаьцна хабар массо а метте дӀасадаьржира.</verse>
				<verse number="27">Ӏийса цигара дӀавоьдучу хенахь Цунна тӀаьхьавогӀуш вара бӀаьрзе ши стаг. Цара, кест-кеста мохь тухуш, олура: «Къинхетам бехьа тхох, Даудан КӀант!»</verse>
				<verse number="28">Ӏийса цӀа чу ваьлча, бӀаьрзенаш Цунна гергга тӀебаьхкира. Цо цаьрга элира: «Шу теший Аса шун бӀаьрса юхадоуьйтург хиларх?» Цара элира: «Теша, Веза Эла!»</verse>
				<verse number="29">Ӏийсас церан бӀаьргех куьг Ӏоьттира. Цо элира: «Шу тешаш дерг хилийталахь!»</verse>
				<verse number="30">ТӀаккха церан бӀаьрса схьадеара. Ӏийсас царна чӀоггӀа тӀедиллира: «Цхьанна а стагана Сох лаьцна хаа йиш йолуш дац шуна».</verse>
				<verse number="31">Амма шаьш дӀабаханчул тӀаьхьа, цара Цунах лаьцна массо а маьӀӀе дӀасадаржийра.</verse>
				<verse number="32">Шен мурдашца Иза дӀаваха кечвеллачу хенахь Ӏийса волчу валийра мотт сецна волу стаг. Иза жино хьийзош вара.</verse>
				<verse number="33">Ӏийсас жин дӀалаьллиначу хенахь и стаг къамел дан волавелира. Наха цецбовларца бохура: «И санна долу хӀума Исраилан махкахь цкъа а хилла дац».</verse>
				<verse number="34">Ткъа парушхоша бохура: «Цо жинаш лохку жинийн элан гӀоьнца».</verse>
				<verse number="35">Ӏийса массо а гӀаланашкахула, ярташкахула чекхволура. Цо нехан гуламан цӀеношкахь Ӏамадора, Стигалийн Олаллех хаза кхаъ кхайкхабора, нах массо а цамгарех тобора.</verse>
				<verse number="36">Адамийн тоба Шена гуш, Цунна нахах къахетара. Уьш чӀогӀа гӀайгӀане а, дуьненах дог диллина, Ӏу воцу бажа санна, лелаш бара.</verse>
				<verse number="37">Цо Шен мурдашка олура: «Хьовсал, мел дукха адам кийча ду Делан Олалла тӀелаца. Уьш кхиъна доккха ялта санна бу, амма и ялта чудерзо белхалой кӀезиг бу.</verse>
				<verse number="38">Ялта долчу Дега деха, иза чуэца кхин а белхалой бахкийта алий».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="10">
				<verse number="1">Ӏийсас, Шен шийтта мурд схьа а кхайкхина, царна бакъо елира харц жинаш дӀалахка а, нахана дарбанаш а деш, уьш массо а цамгарех тобан а.</verse>
				<verse number="2">Цу шийтта мурдан цӀераш яра: дуьххьарлераниг — ШамӀа, Кипа аьлла цӀе тиллина волу. Цуьнан ваша Ӏандар, Зевадин кӀант Якъуб, цуьнан ваша Яхьъя,</verse>
				<verse number="3">Пилап, Барталамай, ТӀама, ял схьагулъеш волу Маттай, ХӀалпайн кӀант Якъуб, Тхьада,</verse>
				<verse number="4">ШамӀа (ша тӀелаьцнарг тӀевирззина кхочушдан гӀертарг), ЯхӀуд-Искархо а, тӀаьхьо Ӏийсана ямартло йина волу.</verse>
				<verse number="5">Ӏийсас, Шен шийтта мурд дӀахьажош, царна тӀедиллира: «Шамранан махкахь йолчу гӀаланашна чу ма гӀолаш, я кхечу къаьмнийн нахана тӀе а ма гӀолаш.</verse>
				<verse number="6">Исраилан махкара хӀаллакьхила хьаьхна, тиладеллачу уьстагӀашна тӀе гӀо,</verse>
				<verse number="7">кхайкхам беш: „Стигалийн Олалла генахь дац“.</verse>
				<verse number="8">Цомгуш берш тобе, белларш денбе, чкъураца ца йоьрзу чевнаш ерш лазарх цӀанбе, харц жинаш дӀалелхаде. Маьхза карадеанарг мах боцуш дӀало.</verse>
				<verse number="9">Шайца я ахча а, я деши а, я дети а, я цӀаста а схьа ма эца.</verse>
				<verse number="10">Шаьш новкъа довлуш, некъан тӀоьрмаг а схьа ма эца, шайна тӀехь йолу бедаршший, мачашший бен. Ӏаса а ма эца шайца схьа. Къахьоьгуш долу шу хьакъ ма ду нахера юург-мерг схьаэца.</verse>
				<verse number="11">Шаьш муьлххачу гӀала я юьрта кхаьчча, хьажа, шаьш тӀелаца хьакъ дерг мила ву. Иза волчохь Ӏе, шаьш дӀадаха хан тӀекхаччалц.</verse>
				<verse number="12">Шаьш хьошалгӀа доьлхуш, шаьш тӀеоьцуш волчу хӀусамдега маршалла хатта.</verse>
				<verse number="13">Аша дӀаделла долу маршалла тӀеэца хьакъ долуш и хӀусам елахь, машар а, барт а хуьлийла цу хӀусамехь. Иза хила хьакъ долуш и хӀусам яцахь, шун лаам шуна юхабоьрзийла.</verse>
				<verse number="14">Шаьш тӀе а ца оьцуш, аша бохучуьнга ла а ца дугӀуш йолчу хӀусамера я гӀалара дӀагӀо, шайн когаш тӀера чан охьа а егош.</verse>
				<verse number="15">Бакъдерг боху Аса шуьга: къематан дийнахь цу гӀалара хьал Седамеххьий, Ӏамор-гӀалаххьий чул инзаре хир ду».</verse>
				<verse number="16">«Аса дохуьйту шу, берзалойн арданг юккъе уьстагӀий ма-дахийттара. Цундела, текхарг санна, хьекъале хилалаш, кхокха санна, дагахь хӀума доцуш а хилалаш.</verse>
				<verse number="17">Нахах ларлолаш, цара кхеле дӀалур ду шу, шайн гуламан цӀенош чохь етта а йоьттуьйтур ю шуна.</verse>
				<verse number="18">Со бахьана долуш паччахьашний, элашний тӀе а дуьгур ду шу. Царний, кхечу къаьмнех болчарний хьалха тоьшалла дан а дезар ду шун, шу Сан мурдаш болу дела.</verse>
				<verse number="19">Шаьш дӀалаьцначул тӀаьхьа, хӀун эр ду техьа оха бохуш, гӀайгӀане а ма хила, хӀунда аьлча шуна дӀаделлалур ду, хӀун ала деза.</verse>
				<verse number="20">Дагахь латтаделаш шайна иза, хӀунда аьлча и къамел деш дерш шу хир дац, иза шун стигаларчу Ден Са хир ду шуьгахула цаьрца къамел деш.</verse>
				<verse number="21">Вашас, вешина ямарта а хилла, иза вейта дӀалур ву. Ткъа дас берашна а изза дийр ду. ТӀаккха бераша, шайн дайшна-наношна дуьхьал а гӀевттина, уьш бойур а бу.</verse>
				<verse number="22">Сан цӀе бахьана долуш цхьанна а дезар дац шу, амма и дерриге а чекхдаллалц лайнарг кӀелхьарвоккхур ву.</verse>
				<verse number="23">Цхьана гӀалахь шаьш къиза хьовзадахь, довдий, кхечу гӀала дӀагӀо. Аса баккъал боху шуьга: Исраилан махкахь мел йолу гӀаланашка шу кхаьчна довлале, Адамийн КӀант вуссур ву».</verse>
				<verse number="24">«Мурд устазал лахара а вац, ткъа ялхо шен олахочул лакхара а вац.</verse>
				<verse number="25">Мурд воккхавеш хила веза, ша шен устазах дӀатарлахь, ткъа ялхо а хила веза реза, ша шен элах дӀатарлахь. Нагахь санна хӀусаман дена БаӀал-Зебула цӀе тиллахь, цуьнан доьзалан муххале а и цӀе йоккхур ю.</verse>
				<verse number="26">Цундела царах ма кхера, хӀунда аьлча мел къайлаха дерг а гучудер ду, мел хьулдинарг а хоуьйтуш хир ду.</verse>
				<verse number="27">Аса шайга боданашкахь аьлларг а къеггинчу серлонгахь юхадийца. Лерга юххехь лохха Аса шайга аьлларг, цӀийнан тхов тӀе а довлий, мохь туххуш дийца.</verse>
				<verse number="28">Ма кхера шайн дегӀ ден йиш хиларх, шун са церан карахь дац. Ткъа кхералаш шайн дегӀ а, са а жоьжахатехь хӀаллакдан йиш Йолчунах.</verse>
				<verse number="29">Шина хьозанах цхьа шай бен доккхур дуй те? Амма царах цхьа а лаьтта охьадужур дац шун Ден пурбанца бен.</verse>
				<verse number="30">Шун коьртара массо чо а багарбина бу шуна!</verse>
				<verse number="31">Цундела ма кхералаш: дуккха а хьозанел деза ду шу!</verse>
				<verse number="32">Нахана хьалха Со къобалвеш верг Аса Сайн стигаларчу Дена хьалха къобалвийр ву.</verse>
				<verse number="33">Амма Со нахана хьалха дӀатеснарг Аса а дӀатосур ву Сайн стигаларчу Дена хьалха».</verse>
				<verse number="34">«Ма мотталаш Со машар бахьаш веана дуьнен чу. Со машар бахьаш ца веана, тур дахьаш веана.</verse>
				<verse number="35">Со веана „кӀант дена дуьхьал ваккха, йоӀ — нанна дуьхьал, нус — марнанна дуьхьал яккха.</verse>
				<verse number="36">Шен цӀа чохь берш хир бу стагана мостагӀий“.</verse>
				<verse number="37">Шен дай-наний Сол дукха дезаш верг Суна улло вала хьакъ долуш вац. Шен йоӀ я кӀант Сол дукхах дезаш верг а вац Соьца хила хьакъ долуш.</verse>
				<verse number="38">Шен баланийн мохь схьа а эцна, Суна тӀаьхьа ца хӀоьттинарг Суна уллохь хила хьакъ долуш вац.</verse>
				<verse number="39">Шен са Ӏалашдан гӀоьртинарг синах вер ву, амма Сан дуьхьа са дӀаделлачунна иза карор ду.</verse>
				<verse number="40">Шу тӀеоьцуш волчо Со а тӀеоьцу, ткъа Со тӀеоьцучо Со Ваийтинарг а тӀеоьцу.</verse>
				<verse number="41">Пайхамар пайхамаран дуьхьа тӀеоьцучунна, пайхамарна санна, ял хир ю, ткъа Делан лаамехь верг Цуьнан дуьхьа тӀеоьцучунна, Делан лаамехь волчунна санна, ял хир ю.</verse>
				<verse number="42">Царах лахара волчунна а гӀо диначунна, иза Сан мурд вуйла а хууш, Аса баккъалла а боху шуьга, цунна шен ял хир ма ю, цо цунна кеда чохь шийла хи бен ца деллехь а».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="11">
				<verse number="1">Ӏийса Шен шийтта мурдана хьехамаш бина ваьлча, Иза цигара дӀа а вахана, Галилай-махкарчу гӀаланашкахула кхайкхам а беш, хьехам а беш волавелира.</verse>
				<verse number="2">Ӏийсас лелош долчух лаьцна шена хезча, набахти чохь воллуш волчу Яхьъяс шен мурдаш бахийтира</verse>
				<verse number="3">Цунна тӀе хаттарца: «Хьо вуй и ван везаш верг, я тхо кхечуьнга хьоьжуш Ӏан деза?»</verse>
				<verse number="4">Ӏийсас цаьрга элира: «Даха а гӀой, Яхьъяга шайна гинарг а, хезнарг а дийца:</verse>
				<verse number="5">бӀаьрзечарна бӀаьрса ло, астагӀнаш нийса дӀалела, ца йоьрзуш йолу чкъуран цамгар ерш цӀанло цу цамгарх, къорачарна хеза, белларш денло, къечарна хаза кхаъ кхайкхабо.</verse>
				<verse number="6">Декъала ву Сох шек воцург».</verse>
				<verse number="7">Мурдаш дӀабахначул тӀаьхьа Ӏийса адамийн тобанна Яхьъях лаьцна дийца волавелира: «Шу яьссачу аренга стенга хьовса даханера? Мохо лесточу эрзе хьовса-м ца даханера шу?</verse>
				<verse number="8">ХӀан-хӀа. Ткъа стенга хьажа даханера? Хаза хӀума тӀеюьйхинчу стаге хьажа дахнера? ХӀан-хӀа. Исбаьхьа бедарш юьйхина нах паччахьан гӀаланаш чохь Ӏаш бу.</verse>
				<verse number="9">Ткъа хьаьнга хьовса дахнера шу? Пайхамаре хьовса дахнера? ХӀаъ, боху Аса шуьга. Яхьъя вукху пайхамарел лакхара ву.</verse>
				<verse number="10">Цунах лаьцна Делан Йозанаш тӀехь яздина ду: „Хьажал! Ас Хьуна хьалха Сайн геланча воуьйту. Цо Хьуна некъ кечбийр бу!“</verse>
				<verse number="11">Аса бакъдерг боху шуьга: кху дуьнен тӀе бевллачарна юкъахь нах хих чекхбохучу Яхьъял сийлахь а, воккха а стаг вац. Делахь а стигалийн Олалла тӀелаьцначарна юкъахь уггаре а лахарниг а цул лакхара ву.</verse>
				<verse number="12">Нах хих чекхбохучу Яхьъян заманера дуьйна таханлерчу денна тӀе кхаччалц стигалийн Олалла, яккхий гӀулчаш йохуш, дӀадоьдуш ду, ницкъ беш берш иза сацо гӀерташ белахь а.</verse>
				<verse number="13">ХӀунда аьлча товрат-хьехамаша а, пайхамарша яздинчо а хиндерг схьааьлла долуш дара, Яхьъя лелаш хилла волу хан тӀекхаччалц.</verse>
				<verse number="14">Цара бохуш дерг шу тӀеэца кийча делахь, Яхьъя ву-кх шуна и вогӀур ву бохуш волу Эли-ЯхӀу.</verse>
				<verse number="15">Лергаш долчунна хӀара дӀахезийла.</verse>
				<verse number="16">Хьаьнца юстур ю Аса хӀара тӀаьхье? Уьш, базаран майданашкахь кхечу берашка мохь а бетташ, Ӏаш долчу берех тера ду:</verse>
				<verse number="17">„Оха шун дуьхьа шедаг лекхира, ткъа шу халха а ца девлира! Оха шуна гӀийла эшарш лекхира, ткъа шу гӀайгӀане а ца хилира!“</verse>
				<verse number="18">Яхьъя гучуваьлла. Цо хӀума а ца йоу, мала а ца молу. Ткъа цунах лаьцна дуьйцу, иза жинаша хьийзош волу стаг ву бохуш.</verse>
				<verse number="19">Цул тӀаьхьа Адамийн КӀант веара. Цо яа а йоура, мала а молура. Цунах лаьцна а дуьйцу: „Хьовсал цу адаме! И юуш ву, молуш ву, ял йоккхучийн а, къинош летийначийн а доттагӀа ву!“ Амма Делера долу хьекъал бакъдо цунах даьллачу гӀуллакхаша».</verse>
				<verse number="20">Ӏийса бехк боккхуш волавелира Ша Шен дукхах долу Ӏаламаташ гайтинчу гӀаланийн бахархойх, уьш метта а баьхкина, Далла тӀе ца берзарна.</verse>
				<verse number="21">«Декъаза ю-кх хьо, Къераз-гӀала! Декъаза ю-кх хьо, Бет-Саида-гӀала! Шу долчохь хилла долу тамашийна гӀуллакхаш Цора-гӀалахь а, ЦӀадан-гӀалахь а хиллехьара, цигара адамаш, тоххарехь дохко а девлла, шайн дохкодовлар гойтуш йолу бедарш тӀе а юьйхина, овкъарна тӀе охьахевшина хир дара.</verse>
				<verse number="22">Аса боху шуьга: Цорарчу а, ЦӀаданарчу а нахана къематан дийнахь дуккха а атта хир ду шуначул.</verse>
				<verse number="23">Ткъа хьо, Къапарнам-гӀала, хьо язйина стигала хьалайоккхур ю моьтту хьуна? Йоккхур яц, жоьжахатин цӀерга кхуссур ю. Седамехь хьуна гина долу Ӏаламаташ хиллехьара, иза хӀара де тӀекхаччалц лаьтташ хир яра.</verse>
				<verse number="24">Аса боху шуьга: Седамна кхана догӀун долчу къематан дийнахь атта хир ду хьуна чул».</verse>
				<verse number="25">ТӀаккха Ӏийсас элира: «Аса сий до Хьан, Сан Да, стигаллий, латтий карахь долу Веза Эла, хьекъалчеххий, Ӏилманчеххий и хӀума къайла а даьккхина, бер санна, догцӀеначарна Ахьа иза дӀаделларна.</verse>
				<verse number="26">ХӀаъ, Сан Да, иза Хьан лаамца хилла ду.</verse>
				<verse number="27">Дерриг а Сан Дас схьаделла Суна, ткъа КӀант Дена бен ца вевза. Да а ца вевза КӀантаний, Цунна Да вовзийта лиъначунний бен.</verse>
				<verse number="28">Дуьйла Суна тӀе, кӀадделларшший, балехь дершший. Аса дагна синтем лур бу шуна.</verse>
				<verse number="29">Сан дукъ шайна тӀеэца, Сох Ӏама, хӀунда аьлча даг чохь Со чӀогӀа эсала а, кӀеда а ву шуна. Цундела шуна Со волчохь деган синтем карор бу.</verse>
				<verse number="30">Сан дукъ а дӀакхехьалур долуш ду, Сан мохь а бац беза».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="12">
				<verse number="1">СадоӀучу шоьтан дийнахь Ӏийса дӀайийначу аренгахула схьавогӀуш хилла. Мацбелла болчу Цуьнан мурдаша, кӀен кенаш схьа а дохуш, царна юккъера буьртигаш дууш хилла.</verse>
				<verse number="2">И сурт гина болчу парушхоша Ӏийсага элира: «Хьажал! Хьан мурдаш Дала кхоьллинчу шоьтан садоӀучу дийнахь ца магийна дерг лелош бу».</verse>
				<verse number="3">Ӏийсас царна жоп делира: «Дауд-паччахьо, шен накъостий мацбелча, диначух лаьцна ца дешна аша?</verse>
				<verse number="4">Цо, Делан цӀа чу а вахана, Далла къобалдина долу деза бепиг, схьа а эцна, шений, шен накъосташний юккъехь декъа а декъна, диина, и санна долу хӀума дан дихкина хилла доллушехь. И бепиг динан дайшна бен даа магош ца хилла.</verse>
				<verse number="5">Товрат-хьехамаш тӀехь аша ца дешна, Делан цӀийнан кертахь болх а беш, динан дайша шоьтан садоӀу де дохош хиларх лаьцна, ткъа царна цхьаммо а бехк ца билларх лаьцна а?</verse>
				<verse number="6">Аса боху шуьга, тахана кхузахь Лаьттарг Делан цӀийнал дуккха а лакхара ву.</verse>
				<verse number="7">Делан Йозанна тӀера „Суна шун вовшашца къинхетамалла хилар деза ду, аша Сан дуьхьа дохучу сагӀанел“ — бохуш долу дешнех шу кхеташ делахьара, аша бехк боцурш бехке бийр бацара.</verse>
				<verse number="8">Хаалаш, Адамийн КӀант Дала кхоьллинчу шоьтан денна тӀехь а Эла ву шуна».</verse>
				<verse number="9">Цул тӀаьхьа цигара дӀа а ваьлла, церан гуламан цӀа чу вахара Ӏийса.</verse>
				<verse number="10">Цигахь заьӀап куьг долу стаг вара. Ӏийса бехкеван бахьанаш лоьхуш болчу парушхоша Кхуьнга хаьттира: «Товрат тӀерачу хьехамаша пурба лой Далла леринчу шоьтан дийнахь нахана дарба дан?»</verse>
				<verse number="11">Ӏийсас цаьрга элира: «Шайн уьстагӀ ор чу боьжча, аша иза хьалабоккхур бацара, Далла леринчу шоьтан де делахь а?</verse>
				<verse number="12">Ткъа стаг мел веза ву уьстагӀал! Далла леринчу шоьтан дийнахь диканиг дан мегар ду».</verse>
				<verse number="13">Цомгушчуьнга Ӏийсас элира: «Схьакховдаде хьайн куьг!» Цо куьг дӀакховдийра. Иза цу сохьта, важа куьг санна, то а делла, дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="14">Парушхой, вовшах а кхетта, Ӏийса шаьш муха хӀаллаквийр вара бохуш, барт бан буьйлабелира.</verse>
				<verse number="15">Иза хууш волу Ӏийса цигара дӀавахара. Цунна тӀаьхьа дукха адам хӀоьттира. Цо цомгуш мел верг товира.</verse>
				<verse number="16">ХӀора Ша то мел винчу стагана Ӏийсас тӀедиллира, Ша мила ву ма дийца аьлла.</verse>
				<verse number="17">Цу тайпана кхочушхилира Дала ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамарехула аьлларг:</verse>
				<verse number="18">«ХӀара Сан Ялхо ву, Ас хаьржина волу. Кхунна Со реза ву, Кхунах воккхавеш ву Со. Сайн Са дуьллур ду Ас Кхунна тӀе, Кхо халкъашна нийсо дӀакхайкхор ю!</verse>
				<verse number="19">ХӀара шуьца къийсалур а вац, Кхо Шен аз а айдийр дац. Урамашкахь цхьанна а Кхуьнан аз а хезар дац.</verse>
				<verse number="20">Кагбалла боллуш болу эрз а кагбийр бац Кхо, дӀаян гӀерташ сийсаш йогуш йолу милт а дӀайойур яц, Ша, нийсо а йина, толам баьккхина валлалц.</verse>
				<verse number="21">Халкъаш цунах дог тешна а хир ду!»</verse>
				<verse number="22">ТӀаккха Ӏийсана тӀе цхьа стаг валийра. Жинаша хьийзош хиларна, бӀаьрзе а, мотт а сецна а вара иза. Ӏийсас иза товира: цомгушниг, мотт а буьйцуш, бӀаьрса схьа а деана, дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="23">Адамаша, цец а дуьйлуш, вовшашка хоьттура: «Даудан КӀант-м вац теша Иза?»</verse>
				<verse number="24">Иза хезна болчу парушхоша элира: «Цо жинаш дӀалелхадо церан эла волчу БаӀал-Зебула-жинан гӀоьнца».</verse>
				<verse number="25">Ӏийсана хууш дара церан дагахь дерг. Цо элира: «Муьлхха а екъаелла йолу пачхьалкх хӀаллакьхила хьаьхна ю. Юкъахь барт боцу хӀора гӀала я доьзал шаьш ма-хиллара латталур дац.</verse>
				<verse number="26">Нагахь санна жин жино дӀалаллахь, иблис ша-шена дуьхьал долу. Ткъа муха лаьттар ду цуьнан олалла?</verse>
				<verse number="27">Нагахь Ас, аша ма-баххара, жинаш БаӀал-Зебулин гӀоьнца дӀалохкуш хилча, шуна тӀаьхьахӀоьттинчара хьенан гӀоьнца лохку уьш дӀа? Иштта, цара йийр ю шуна кхел.</verse>
				<verse number="28">Амма Аса Делан Синца уьш дӀалахкахь, иза тоьшалла ду шуна Делан Олалла шу долчу кхаьчна хилар.</verse>
				<verse number="29">Шел ницкъ болуш волчу стеган цӀа чуьра хӀума муха лачкъор ю, иза цкъа хьалха дӀавихкина бен? Цул тӀаьхьа бен далур дуй къола?</verse>
				<verse number="30">Соьца воцург Суна дуьхьал ву, Соьца нах схьагулбеш воцург уьш дӀасакхуьйсуш ву.</verse>
				<verse number="31">Цундела боху шуьга: хӀора латийначу къина, динчу Ӏесачу къамелана стаг дохковаьллачул тӀаьхьа гечдийр ду, амма Делан Са сийсаздинчунна гечдийр дац.</verse>
				<verse number="32">Адамийн КӀантана вониг аьллачунна гечдан мега, амма Делан Дезачу Синна дуьхьал хӀума аьллачунна гечдийр дац я таханлерчу бӀешарахь а, я тӀедогӀун долчу бӀешерашкахь а.</verse>
				<verse number="33">Шуна хаьа дика стом кхио дика дитт оьшийла, ткъа вочу дитто вон стом ло. ХӀора дитт шен стоьме хьаьжжина хуьлу.</verse>
				<verse number="34">Шу, лаьхьанийн тӀаьхье! Шун багара муха дер ду диканиг, шу шаьш зене нах хилча? Стеган даг чохь дерг матта тӀехь ма хуьлу.</verse>
				<verse number="35">Дикачу стага шен даг чуьра диканиг долуьйту, ткъа вочу стага шен кийрара вониг бен ца долуьйту.</verse>
				<verse number="36">Амма Аса боху шуьга: къематан дийнахь хӀора шаьш ойла а ца еш аьллачу дашна жоп дала дезар ду массеран а.</verse>
				<verse number="37">ХӀунда аьлча хьайн дешнашка хьаьжжина хьо я бехказавоккхур ву, я хьуна кхел йийр ю».</verse>
				<verse number="38">Цхьаболчу Ӏеламчу нахий, парушхоший Ӏийсага дийхира: «Устаз! Тхуна чӀогӀа лаьара Ахьа тамашийна гӀуллакхийн билгало гойтийла!»</verse>
				<verse number="39">Амма Ӏийсас жоп делира: «Боьха а, телхина а йолу тӀаьхье! Тамашийна гӀуллакхийн билгалонашка сатуьйсуш ду-кх шу. Цхьа а билгало гур яц шуна, Юнус-пайхамарехула гайтинарг йоцург.</verse>
				<verse number="40">Юнус кхаа дийнаххьий, кхаа бусий боккхачу чӀеран кийрахь ма-хиллара, Адамийн КӀант а хир ву Лаьттан даг чохь кхаа дийнаххьий, кхаа бусий.</verse>
				<verse number="41">Къематан дийнахь Нунав-гӀалара бахархоша, беллачуьра ден а белла, уьш бехке бийр бу, хӀунда аьлча уьш Юнуса бина хаам бахьана долуш дохкобевлла, ткъа шуна хьалха Верг Юнусал лакхара ву.</verse>
				<verse number="42">Цу тӀаьхьенах болчу нахаца цхьаьна къилбехьара зуда-паччахь а денлур ю кхел ечу хенахь, цо уьш бехке а бийр бу, хӀунда аьлча иза цхьана дуьненан маьӀӀера йогӀура Сулим-паччахье ладогӀа. Ткъа кхузахь Верг Сулим-паччахьал веза ву».</verse>
				<verse number="43">«Харцжин стагах дӀакъаьстича, иза хи доцучу яьссачу аренгахула долалой лелаш хуьлу, тӀетовжа меттиг а ца карош.</verse>
				<verse number="44">ТӀаккха цо олу: „Со арадаьллачу цӀа чу юхадоьрзур ду со“. Амма и стаг волчу юхадеъча, ша Ӏийна меттиг яьсса а, нуй хьаькхна а, цӀанйина а карайо цунна.</verse>
				<verse number="45">ТӀаккха доьдий, цо шеца ворхӀ харцжин даладо, шел дуккха а вон долу. Уьш, цу стагана чохь шайн хӀусам а юьллий, даха ховшу. Эххар а оцу стеган хьал юьххьенца хиллачул а вон хуьлу. Изза хир ду тахана дехаш Ӏаш долчу вон адамашца а».</verse>
				<verse number="46">Нахаца Ӏийсас къамел дечу хенахь Цуьнан наний, вежарий арахь лаьтташ хилла, Цуьнца къамел дан лууш.</verse>
				<verse number="47">Цхьаммо Ӏийсага элира: «Хьажахь, Хьан наний, вежарий, Хьоьца къамел дан лууш, хьоьжуш лаьтташ бу-кх арахь».</verse>
				<verse number="48">Иза аьллачуьнга Ӏийсас хаьттира: «Мила ю Сан нана, муьлш бу вежарий?»</verse>
				<verse number="49">Шен мурдашка куьг а кховдош, Цо элира: «ХӀорш бу Сан нана а, вежарий а!</verse>
				<verse number="50">Сан стигалара волчу Ден лаам кхочушбеш верг Суна ваша а, йиша а, нана а ю!»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="13">
				<verse number="1">Цу дийнахь Ӏийса, цӀа чуьра ара а ваьлла, Ӏоман йисте охьахиира.</verse>
				<verse number="2">Цунна гонах адамийн йоккха тоба гулъелира. Цундела Иза, хӀордкеманна чу а ваьлла, охьахиира, ткъа нах хи йистехь бисира.</verse>
				<verse number="3">Ӏийсас, хьекъале дустарш а далош, дуккха а хӀуманаш дийцира царна. Цо элира: «Цхьа ахархо шен кха тӀе хӀу таса араваьлла.</verse>
				<verse number="4">Цо хӀу тосучу хенахь цхьадолу буьртигаш некъан йистехула охьаэгна хилла. Схьадаьхкинчу олхазарша уьш дӀадиъна.</verse>
				<verse number="5">Важа буьртигаш, жагӀа а болуш, латта кӀеззиг долчу метте охьаэгна дара. Цу буьртигаша сихха зӀийдигаш тесна, хӀунда аьлча цигахь латта кӀезиг дара.</verse>
				<verse number="6">Малх кхетча, цо и зӀийдигаш ягийра, церан орамаш кӀорга ца хиларна, уьш якъаелира.</verse>
				<verse number="7">Кхидерш коканийн коьллаш юкъа ийгира, амма коьллаша, юкъ а елла, хӀун зӀийдигаш къайлаехира.</verse>
				<verse number="8">Ткъа важа долу хӀу дика латта долчохь нисделла. Уьш дикка хьала а девлла, хьийкъина ялта делла цара, цхьацца долчара бӀе, кхузткъа, ткъе уьттазза дӀадийначул сов а луш.</verse>
				<verse number="9">Лергаш долчунна хӀара хезийла!»</verse>
				<verse number="10">Ӏийсан мурдаша, Цунна тӀе а баьхкина, хаьттира: «Хьекъале дустарш далош хӀунда дуьйцу Ахьа нахе?»</verse>
				<verse number="11">Ӏийсас цаьрга элира: «Шуна делла ду Стигалийн Олаллин къайленаш йовзар, ткъа царна уьш йовзар ца делла.</verse>
				<verse number="12">ХӀунда аьлча долчунна кхин а тӀелур ду, цуьнан дерг кхин а стамлур ду. Ткъа доцучуьнгара цуьнан данне а доцург а дӀадоккхур ду.</verse>
				<verse number="13">Цундела дуьйцу Аса царна хьекъале дустарш. Уьш хьоьжуш боллушехь, царна хӀумма а ца го дела а, ладугӀуш боллушехь, хӀумма а ца хеза я дуьйцучух ца кхета дела а.</verse>
				<verse number="14">Царна тӀехь Ешаъ-ЯхӀу-пайхамарехула Делера болу хаам кхочушхуьлу: „Аша ладугӀур ду, амма шу цунах кхетар дац, хьоьжур ду шу, амма маьӀна къастор дац аша.</verse>
				<verse number="15">Цу нехан дегнаш шагделла, церан лергаш къорделла, церан бӀаьргаш дӀахьаббина бу. Цара иза ца леладахьара, церан бӀаьргашна са а гур дара, церан лергашна хезар а дара, церан дог кӀеда а хир дара, уьш шайна гӀо дайта Суна тӀе а богӀур бара, Аса уьш то а бийр бара!“</verse>
				<verse number="16">Ткъа шу декъалдина ду, хӀунда аьлча шун бӀаьргашна го, лергашна хеза.</verse>
				<verse number="17">Аса бакъдерг боху шуьга: дуккха а пайхамарш а, Делан лаамехь берш а лууш бара шуна гинарг ган, амма иза царна ца гина. Царна лиънера шуна хезаш дерг хаза, амма царна иза ца хезна».</verse>
				<verse number="18">«Ткъа хӀинца ладогӀал хӀу дӀадуьйш волчух лаьцна хьекъале дустаран маьӀне.</verse>
				<verse number="19">Нагахь санна стагана Делан Олаллех лаьцна хаза а хезна, иза цунах ца кхеттехь, цунна иблис тӀедогӀу. Цо цу стеган даг чу дижинарг лачкъадо. ХӀара ду некъан йисте охьаэгна долчу хӀуьнан маьӀна.</verse>
				<verse number="20">ТӀулгийн жагӀанна юккъе доьжна долчу хӀуьнан маьӀна, хӀора дашах а тешаш, иза цу сохьта хазахетарца тӀеоьцуш волу стаг ву.</verse>
				<verse number="21">Амма шен хила ма-беззара орам боцу дела, иза кӀеззигчу ханна бен ца лаьтта. Дош бахьана долуш хало тӀехӀоьттича, иштта волу стаг сихха юьстах волу.</verse>
				<verse number="22">Коканаш долчохь охьадоьжна долчу хӀуьнан маьӀна дича, дахаран гӀайгӀанаша а, хьолах Ӏехабаларо а и хезна дош диц а долуьйту, цуьнан дахарехь стом а ца ло бохург ду.</verse>
				<verse number="23">Ткъа ялта хьийкъинчу лаьтта кхаьчна долу хӀу — шега бохуш долчух кхета а кхеташ, иза хезаш верг ву. Цо бӀозза, кхузткъазза, ткъе уьттазза дӀадийначул сов хӀу ло».</verse>
				<verse number="24">Кхин а цхьа хьекъале дустар далийра Ӏийсас ладугӀуш болчарна: «Стигалийн Олалла иштта ду. Цхьана стага шен кха тӀехь дика хӀу дӀадийнера.</verse>
				<verse number="25">Ткъа иза шен ялхошца вижина Ӏуьллучу хенахь кхуьнан мостагӀа веана. Иза, кӀена юккъе асаран буц а йийна, дӀавахана.</verse>
				<verse number="26">КӀа, тӀе а даьлла, кан баккха доладелча, асар а гучудаьлла.</verse>
				<verse number="27">Ялхоша, шайн хьолада волчу а баьхкина, элира: „Тхан хьолада, ахьа дика хӀу дӀа ма дейтинера, ткъа асар стенгара даьлла кӀена юккъе?“</verse>
				<verse number="28">Хьоладас цаьрга элира: „Сан мостагӀчо дина-кх иза“. Ялхоша хаьттира цуьнга: „Оха, даха а гӀой, схьаяккхий и буц?“</verse>
				<verse number="29">„ХӀан-хӀа, — элира хьоладас. — Суна луур дацара аша асарца цхьаьна кӀен кенаш схьадохийла.</verse>
				<verse number="30">Уьш а, вуьш а цхьабосса хьаладовлийта. Ялта чудерзон хан тӀекхаьчначу хенахь маьрсхошна аса тӀедуьллур ду, цкъа хьалха буц схьа а яккхий, цӀевнаш а дай, и буц ягае, ткъа кӀа дӀадуьллу цӀа чохь схьагулде аьлла“».</verse>
				<verse number="31">Цо кхин а цхьа хьекъале дустар далийра: «Стигалийн Олалла аренгахь дӀадийначу уггар жимачу хӀух тера ду.</verse>
				<verse number="32">Иза кхечу хӀун буьртигаш юкъахь массарал а жима ду, амма, тӀе а даьлла, доккха хилча, бешахь мел долчу орамател уггар а лекха хуьлу. Цунах дитт хуьлу, стигаларчу олхазарша цуьнан гаьннаш юккъехь бенаш а деш».</verse>
				<verse number="33">Кхин а цхьа хьекъале дустар а далийра Ӏийсас: «Стигалийн Олалла морзанах тера ду. Зудчо, бод хьакхош, кхаа сахь чохь схьаэцначу демах тоьхна иза. Морза, массанхьа а кхочуш, демах дӀаийна».</verse>
				<verse number="34">И шадерг а Ӏийсас гулбеллачарна хьекъале дустарш далош дуьйцура. Дустар ца далош, Цо хӀумма а ца дуьйцура царна.</verse>
				<verse number="35">Цу тӀехь пайхамарехула аьлларг кхочушхилира: «Аса шуьга хьекъале дустарш дуьйцур ду, дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна къайлаха хилларг гучу а доккхуш».</verse>
				<verse number="36">Нах а битина, Иза цӀа чу вахара. Ӏийсан мурдаша, Цунна тӀе а бахана, элира: «Аренгахь тӀеяьллачу асаран бецах лаьцна Айхьа дийцинчух тхо кхетадехьа».</verse>
				<verse number="37">Ӏийсас цаьрга элира: «Дика хӀу дӀадийнарг — Иза Адамийн КӀант ву.</verse>
				<verse number="38">Ткъа аре — иза дуьне ду. Дика хӀу — Делан Олаллин бахархой бу. Ткъа асаран буц иблисан агӀонгара нах бу.</verse>
				<verse number="39">И асаран буц дӀайийна волу мостагӀа иблис санна ву. Ткъа ялта хьокху хан — иза дуьненан тӀаьхьара зама ю. Маьрсахой маликаш санна бу.</verse>
				<verse number="40">Асаран буц схьа а гулъеш, литтанаш а деш, ягош долу сурт хир ду дуьненан тӀаьхьарчу заманчохь.</verse>
				<verse number="41">Адамийн КӀанта Шен маликаш дохуьйтур ду, къинош летош, зулам лелош берш Шен Олаллера, схьа а къастийна,</verse>
				<verse number="42">уьш алуца йогуш йолчу пеша чу кхисса. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а ду.</verse>
				<verse number="43">Делан лаамехь берш шайн Ден Олаллехь, малх санна, къегаш хир бу. Лергаш долчарна хӀара дӀахезийла».</verse>
				<verse number="44">«Стигалийн Олалла аренгахь дӀайоьллина йолу хазна санна ду. Стагана иза карийча, цо иза цкъа хьала а йоккхий, юха а дӀаюллу. Дукха гӀадваханчу цо, ваха а воьдий, шен берриг а бахам дӀа а бухкий, и аре схьаоьцу.</verse>
				<verse number="45">Стигалийн Олалла мехала жовхӀарш лоьхуш лелачу совдегарх тера ду.</verse>
				<verse number="46">Шена къаьсттина мехала долу жовхӀар карийча, цо ша да мел волу хӀума дӀа а духкий, иза шен дола доккху.</verse>
				<verse number="47">Кхин а Стигалийн Олалла Ӏам чу чӀерий леца тесначу бойнах тера ду. Цу юккъе тайп-тайпана чӀерий лелха.</verse>
				<verse number="48">Бой юьзначул тӀаьхьа, чӀерийлецархоша иза хийисте хьалайоккху. Цул тӀаьхьа цара, охьа а ховший, дика чӀерий дӀахоржу, ткъа вуьш дӀакхуьссу.</verse>
				<verse number="49">Иштта хир ду дуьненан тӀаьхьарчу заманчохь. Маликаша, схьа а даьхкина, вониш дикачарах дӀа а къастийна,</verse>
				<verse number="50">йогуш йолчу пеша кхуьссур бу. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а ду».</verse>
				<verse number="51">Ӏийсас Шен мурдашка хаьттира: «Шу кхетий Аса аьллачух?» Цара жоп делира: «Кхета».</verse>
				<verse number="52">ТӀаккха Ӏийсас элира: «Цундела хӀора Стигалийн Олаллехь мурд хилла схьавеана волу Ӏелам стаг цхьана хӀусамдех тера ву, дӀайиллинчуьра схьа а оьцуш, тиша а, цӀена а хӀуманаш дӀалуш волчу».</verse>
				<verse number="53">Хьекъале дустарш далош Ша дина долу къамел чекхдаьллачул тӀаьхьа, Ӏийса цигара дӀавахара.</verse>
				<verse number="54">Ша кхиинчу гӀала а веана, церан гуламан цӀа чохь нах Ӏамо волавелира Иза. Массара а, цец а буьйлуш, вовшашка хоьттура: «Цунна мичара даьлла и хьекъал? Цунна мичара баьлла тамашийна хӀуманаш лело ницкъ?</verse>
				<verse number="55">Дечиган пхьеран кӀант вац Иза? Цуьнан ненан цӀе Марем яц? Ткъа вежарийн цӀераш Якъуб, Юша, ШамӀа, ЯхӀуд бохуш яц?</verse>
				<verse number="56">Вайна юкъахь лелаш бац Цуьнан йижарий? И шадерг а Цунна мичара даьлла?»</verse>
				<verse number="57">Оцу нахана Иза къобалван ца лиира. Ткъа Ӏийсас цаьрга элира: «Ша схьаваьллачу меттигехь а, шен цӀахь а бен ца хуьлу пайхамар наха ца лоруш».</verse>
				<verse number="58">Цо цигахь дукха тамашийна билгалонаш ца гайтира, церан тешар кӀезиг долу дела.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="14">
				<verse number="1">Цу хенахь Галилай-махкахь паччахь волчу ХӀародана Ӏийсах лаьцна хезна хилла.</verse>
				<verse number="2">Шена ялхолла лелош болчаьрга цо элира: «И стаг нах хих чекхбоху Яхьъя ву. Иза веллачуьра денвелла, цундела бу цуьнгахь тамашийна билгалонаш гайта ницкъ».</verse>
				<verse number="3">И де тӀекхачале дикка хьалха ХӀарод-паччахьо Яхьъя, схьа а лаьцна, буржалш а тоьхна, набахти чу кхоьссина хилла. Цо иза шен вешин Пилапан зуда ХӀародад бахьана долуш дина хилла.</verse>
				<verse number="4">Яхьъяс цунах бехк баьккхина хилла: «Хьан йиш яц цуьнца цхьаьна ваха», — аьлла.</verse>
				<verse number="5">ХӀарод и бехк баккхар бахьана долуш Яхьъя вен лууш хилла, амма адамех иза хӀуттуш ца хилла, цара Яхьъя лоруш тӀеэцна хилла дела.</verse>
				<verse number="6">ХӀарод вина де тӀекхаьчча, ХӀародадан йоӀ паччахьний, цуьнан хьешашний хьалха халхаюьйлуш хилла. Цуьнан халхар чӀогӀа тайна волчу ХӀарода</verse>
				<verse number="7">чӀагӀо йина, ша цуьнан муьлхха а дехар кхочушдийр ду аьлла.</verse>
				<verse number="8">Шен нанас иракарахӀоттийна йолчу йоӀа элира: «Шуьна чохь нах хих чекхбохучу Яхьъян корта схьаба суна».</verse>
				<verse number="9">Ша гӀайгӀане воьжнехь а, шен хьешашна хьалха ша йина йолу чӀагӀо бахьана долуш, ХӀарода, и дехар кхочушде аьлла, омра дина хилла.</verse>
				<verse number="10">Яхьъян корта баккха аьлла, цо набахте нах бахийтина.</verse>
				<verse number="11">Цара, шуьна чу а биллина, Яхьъян корта, схьа а беана, йоӀе дӀабелла, ткъа цо иза шен нанна дӀабаьхьна.</verse>
				<verse number="12">Яхьъян мурдаша, схьа а даьккхина, цуьнан дакъа дӀадоьллина, ткъа цул тӀаьхьа, баха а бахана, Ӏийсага и дерриг дӀадийцина цара.</verse>
				<verse number="13">Иза шена хезча, Ӏийса, хинкеманна тӀе а хиъна, цхьа а стаг воцучу метте дӀавахара, ша висархьама. Амма нахана и хӀума дӀахезча, шайн гӀаланашкара схьа а баьхкина, уьш хин йистехула Цунна тӀаьхьабахара.</verse>
				<verse number="14">Ша хийисте хьалаваьлча, Ӏийсана адамийн йоккха тоба гира. Царах къа а хетта, цо царна юккъера цомгуш берш тобира.</verse>
				<verse number="15">Суьйре тӀееъча, Цуьнан мурдаш тӀебаьхкира. Цара элира: «ХӀара меттиг яьсса ю. Вайна хан а яьлла. Нах дӀабахийта, ярташка а бахана, цаьрга шайна яа хӀума эцийта».</verse>
				<verse number="16">Ткъа Ӏийсас элира: «Уьш дӀабаха оьшуш дац. Аша лур ю царна яа хӀума».</verse>
				<verse number="17">Мурдаша Цуьнга элира: «Вайгахь йолу шаерг а пхи хьокхаммий, ши чӀарий бен яц».</verse>
				<verse number="18">Ткъа Ӏийсас элира: «Уьш Со волчу схьаял».</verse>
				<verse number="19">Цо, нах бай тӀе охьа а ховшийна, шайгахь болу пхи хьокхам, ши чӀарий схьа а эцна, стигала хьала а хьаьжна, и кхача къобалбеш, доӀа дира. ТӀаккха и хьокхамаш а, чӀерий а дакъошка декъа а доькъуш, Шен мурдашка дӀакховдадора Цо. Цара и дакъош нахе дӀалора.</verse>
				<verse number="20">Массара а яа а йиира, уьш буза а буьзира. Цул тӀаьхьа, мурдаша тӀаьхьайисинчу яа хӀуманах шийтта тускар дуьзира.</verse>
				<verse number="21">Цигахь яа хӀума йиъначарна юккъехь, зударий, берашший доцург, пхи эзар боьрша стаг а вара.</verse>
				<verse number="22">Цу сохьта Ӏийсас Шен мурдаш, хинкеманна тӀе а ховшийна, Галилай-Ӏоман дехьарачу йисте Шел хьалха дӀабахийтира, ткъа Ша нах дӀахьовсо тӀаьхьасецира.</verse>
				<verse number="23">Нах дӀа а хьовсийна, Ӏийса Ша цхьаъ лома хьалавелира, доӀа дархьама. Суьйре тӀекхаьчча, Иза цигахь Ша вара.</verse>
				<verse number="24">Хин кема хийистера геннахь дара. Иза тулгӀенаша дехьий-сехьий кхуьссура, кема чӀогӀа хьоькхуш болчу мохана дуьхьал доьдуш долу дела.</verse>
				<verse number="25">Ӏуьйранна кхаа сахьтаний, ялх сахьтаний юккъехь Ӏийса уьш болчу хи тӀехула дӀаволавелира.</verse>
				<verse number="26">Хи тӀехула Иза вогӀуш гича, Цуьнан мурдаша, кхера а белла, мохь хьаькхира: «Иза гӀаларт ду!» — аьлла.</verse>
				<verse number="27">«Доьналла долуш хила! Со ву шуна иза! Ма кхера!»</verse>
				<verse number="28">Цунна дуьхьал Кипас элира: «Сан Эла! Иза Хьо велахь, Хьайн лаамца со хи тӀехула Хьайна тӀе ваийтахьара Ахьа!»</verse>
				<verse number="29">«ТӀевола!» — элира Цо. Кипа, хинкеманна чуьра охьа а воьссина, хи тӀехула Ӏийсана тӀевахара.</verse>
				<verse number="30">Шена чӀогӀа хьоькхуш болу мох гича, Кипа кхеравелира. Ша хи буха ваха воьлча, цо мохь хьаькхира: «Ва Эла! КӀелхьарваккхахьа со!»</verse>
				<verse number="31">Ӏийсас, сихха куьг дӀа а кховдийна, иза хьалаваьккхира. Цо цуьнга элира: «Делах кӀезиг тешаш верг! Хьайн даг чу шеко хӀунда кхоллаялийтира ахьа?»</verse>
				<verse number="32">Уьш хинкеманна чу бевлча, мох дӀасецира.</verse>
				<verse number="33">Цу чохь мел волчо а, корта охьа а таӀийна, Ӏийсага элира: «Хьо баккъалла а Делан КӀант ву!»</verse>
				<verse number="34">Хин кеманна тӀехь Ӏомал дехьа а бевлла, уьш Гансарт-махка кхечира.</verse>
				<verse number="35">Цигарчу нахана Ӏийса вевзинчул тӀаьхьа, массо а маьӀӀера Кхунна тӀе цомгуш болу нах кхуьйлуш хилла.</verse>
				<verse number="36">Цара, Ӏийсан бедарх куьг Ӏоттийтахьара бохуш, дехар дора. Цуьнан бедаран юьхах куьг мел Ӏоьттинарг, то а лой, дӀахӀуттура.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="15">
				<verse number="1">Ярушалайм-гӀалара баьхкинчу парушхоший, Ӏеламчу нахий Ӏийсага элира:</verse>
				<verse number="2">«Хьан мурдаша вайн дайша лелийна Ӏадаташ хӀунда талхадо? Цара хӀума яале хьалха куьйгаш цӀандаран Ӏадат кхочуш хӀунда ца до?!»</verse>
				<verse number="3">Царна дуьхьал Ӏийсас элира: «Ткъа аша хӀунда талхадо Дала тӀедиллина долу парзаш, шайн Ӏадаташ ца дохорхьама?</verse>
				<verse number="4">Дала аьлла ма ду: „Хьайн дай-наний лара“, ткъа „Шен дена я нанна неӀалт аьлларг вен веза“.</verse>
				<verse number="5">Амма аша боху шайн дега а, нене а ала мега: „Сан шуна гӀо дан йиш яц, хӀунда аьлча шуна лерина хилларг аса Далла совгӀатна дӀало“.</verse>
				<verse number="6">Цу дешнаша дай-наний ца лара бакъо ло. Аша Дала шайна тӀедиллина долу парз шаьш кхоьллина долу ламаст бахьана долуш дӀадаьккхина.</verse>
				<verse number="7">Шалхо лелорш! Шух лаьцна нийса аьлла хилла ЕшаӀ-ЯхӀус ша Делера бинчу хаамехь:</verse>
				<verse number="8">„ХӀокху адамаша Со багахь лору, ткъа церан дегнаш Суна дукха генахь ду.</verse>
				<verse number="9">Церан ларамах пайда бац, хӀунда аьлча церан хьехамаш Делера бац, уьш адамаша кхоьллина бу“».</verse>
				<verse number="10">Нах Шена тӀе а кхайкхина, Ӏийсас элира: «Соьга ла а догӀий, Аса бохучух кхетахьара шу:</verse>
				<verse number="11">стеган багахула чудоьдуш долчу хӀумано Далла гергахь иза бех ца во, цу багахула арадолучо бен».</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха тӀебаьхкинчу мурдаша Ӏийсага элира: «Хьуна хаьий парушхой Ахьа аьлла долу дешнаш бахьана долуш шаьш юьхьӀаьржачу хӀиттина хеташ буйла?»</verse>
				<verse number="13">Ӏийсас цаьрга элира: «Сан стигалахь волчу Дас дӀадоьгӀна доцу хӀора орамат шен орамашца схьадаьккхина хир ду.</verse>
				<verse number="14">Уьш машарца дӀабахийта. БӀаьрзе нах бу уьш. Царна тӀаьхьахӀоьттинарш а бу бӀаьрзе. Хьалха ваьлларг а, тӀаьхьахӀоьттинарг а, ший а бӀаьрзе хилча, и шиъ ор чу вужур ву».</verse>
				<verse number="15">Цунна дуьхьал Кипас элира: «Кхетадехьа Ахьа тхо оцу дустарх».</verse>
				<verse number="16">Ткъа Ӏийсас элира: «ХӀинца а оццул кхетам боцуш ду шу?</verse>
				<verse number="17">Шун бага кхаьчна долу хӀума, зорх чу а кхочий, цул тӀаьхьа кийрара арадолу.</verse>
				<verse number="18">Амма шун багара арадолуш дерг шун даг чуьра арадолуш ду. Иза ма ду стаг Далла гергахь бехвеш дерг.</verse>
				<verse number="19">Аса иштта боху шуьга, дерриг а вониг даг чуьра арадолуш долу дела: вон ойланаш, стаг вер, ямартло, нахаца лелар, къола дар, эладита кхоллар, харцдерг дийцар.</verse>
				<verse number="20">Иза ду стаг Далла гергахь бехвеш дерг. Ткъа стага яа хӀума яале шен куьйгаш ца диларх, иза Далла гергахь бехлур вац».</verse>
				<verse number="21">Цигара дӀа а ваьлла, Ӏийса Цорин а, ЦӀаданан а гонах йолчу меттигашка дӀавахара.</verse>
				<verse number="22">Йоьлхуш, Цунна тӀееара цигахь Ӏаш йолу канаӀанхойх схьаяьлла йолу цхьа зуда: «Къинхетам бехьа сох, Веза Эла, Даудан КӀант! Харцжинаша къиза хьийзош, са дуьллу меттиг яйна лелаш ю-кх сан йоӀ».</verse>
				<verse number="23">Амма Ӏийсас цуьнга хӀумма а ца элира. Мурдаша, тӀаьхьа а баьхкина, Цуьнга дехар дира: «ДӀаэккхае и зуда! Массо а хенахь вайна тӀаьхьа а яьлла, мохь хьоькхуш ю-кх».</verse>
				<verse number="24">Цо цаьрга элира: «Исраилан тилабеллачу уьстагӀашна бен гӀо дан ваийтина вац Со».</verse>
				<verse number="25">ТӀаккха и зуда, Ӏийсана тӀе а еана, гора а хӀоьттина, йистхилира: «Веза Эла! ГӀо дехьа суна!»</verse>
				<verse number="26">Ӏийсас цу зудчуьнга элира: «Нийса дац иза, берашкара схьа а йоккхуш, юург жӀаьлешна дӀакхоссар».</verse>
				<verse number="27">Зудчо элира: «Бакъ ду иза, Эла! Делахь а жӀаьлеша а ма лехьадо хӀусамден шуьн уллора охьадоьжна долу цуьргаш».</verse>
				<verse number="28">ТӀаккха Ӏийсас цуьнга элира: «Йиша, хьан Делах тешар чӀогӀа ду! Хьан лаам кхочуш хир бу!» Цу сахьтехь зудчун йоӀ тоелира.</verse>
				<verse number="29">Цигара дӀа а ваьлла, Ӏийса Галилай-Ӏоман йистехула дӀавахара. Лам тӀе хьала а ваьлла, охьахиира Иза.</verse>
				<verse number="30">Цунна тӀе адамийн тобанаш эха юьйлаелира, шайца астагӀнаш, бӀаьрзенаш, заьӀапхой, мотт ца хууш болу къора нах, кхиболу цомгуш нах а болуш. Цара уьш лаьттахь охьабохкура, Ӏийсан когаш хьалха. Ткъа Цо уьш тобора.</verse>
				<verse number="31">Адамаш чӀогӀа цецдуьйлура шайна мотт ца хууш болу къора нах къамел деш гича, заьӀапхой тобелча, астагӀа берш, шерра ког а боккхуш, дӀабоьлхуш гича, бӀаьрзе берш са ган буьйлабелча. Уьш Исраилан Далла хастамаш беш бара.</verse>
				<verse number="32">Шен мурдаш тӀе а кхайкхина, Ӏийсас цаьрга элира: «Суна къахета оцу нахах, хӀунда аьлча кхо де а ду уьш Соьца болу, ткъа царна яа хӀума яц. Уьш меца дӀабахийта Суна ца лаьа, новкъахь уьш мацалла кхин а чӀогӀа гӀел ца балийта».</verse>
				<verse number="33">Мурдаша Цуьнга элира: «ХӀокху юьстахчу меттехь вайна мичара карор ю оццул долчу халкъана яа хӀума?»</verse>
				<verse number="34">Ӏийсас цаьрга хаьттира: «Маса бепиг ду шуьгахь?» Цара жоп делира: «ВорхӀ бепиггий, масех чӀарий бу».</verse>
				<verse number="35">ТӀаккха Цо массо а стаг лаьтта охьахаийра.</verse>
				<verse number="36">ВорхӀ бепиггий, чӀерий схьа а эцна, Далла хастам а бина, куьйгаца каг а деш, Шен мурдашка кховдадора Цо, ткъа цара нахана дӀадоькъура иза.</verse>
				<verse number="37">Массара а шаьш дуззалц хӀума йиира. ТӀаьхьайисина йолу яа хӀума мурдаша схьагулйича, ворхӀ тускар хьаладуьзира.</verse>
				<verse number="38">Адамийн тобанна юкъахь виъ эзар стаг вара, зударий, берашший ца лерича а.</verse>
				<verse number="39">Нах дӀасабевллачул тӀаьхьа Ӏийса, хинкеманна тӀе а хиъна, Магдан-гӀалина улло дӀавахара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="16">
				<verse number="1">Парушхой а, садукъой а баьхкира Ӏийса волчу Иза зерхьама. Цара дехар дира, шайна стигалара тамашийна билгало гайтахьара аьлла.</verse>
				<verse number="2">Ӏийсас цаьрга элира: «Малх дӀабузучу хенахь аша олу: „Кхана хаза хенан хӀоттам хир бу, стигал цӀийелла йолу дела“.</verse>
				<verse number="3">Малх схьакхеттачу хенахь олу: „Таханлера де йочане хир ду, хӀунда аьлча стигал цӀарула-цӀен а, кхоьлина а ю“. Шуна стигалан сибат девза, амма заманан билгалонаш къасто ца хаьа шуна.</verse>
				<verse number="4">Боьхачу а, телхинчу а тӀаьхьено тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш лоьху, амма царна уьш гур яц, Юнус-пайхамарехула гайтина билгало бен». Уьш шаьш болчохь а битина, Ӏийса дӀавахара.</verse>
				<verse number="5">Хих дехьабовлуш, Ӏийсан мурдашна бепиг схьаэца дицделлера.</verse>
				<verse number="6">ТӀаккха Ӏийсас цаьрга элира: «Варелаш, ларлолаш садукъойн а, парушхойн а муьстачу бедах».</verse>
				<verse number="7">И дешнаш шайна юкъахь дийцаре динчул тӀаьхьа цара элира: «Цо иза аьлла хир ду, вай новкъа довлуш бепиг схьа ца эцна дела».</verse>
				<verse number="8">Ӏийсана-м хууш хилла цара дуьйцуш дерг. Цундела Цо элира: «Делах кӀезиг тешарш! ХӀунда боху аша шайгахь бепиг дац?</verse>
				<verse number="9">ХӀинца а ца кхетта шу цунах? Дагадаийтийша шайна тохарлера пхи бепиг, пхи эзар стагана вуззалц даъал хилла долу. Цул тӀаьхьа шаьш дуьзна долу тускар маса хилла а дагадаийта.</verse>
				<verse number="10">Ткъа шуна дага ца догӀу виъ эзар стаг вузийна долу ворхӀ бепиг а, цул тӀаьхьа шаьш дуьзна долу тускар маса хилла а?</verse>
				<verse number="11">ХӀунда ца кхета техьа шу Аса баьпках лаьцна ца дуьйцийла? Аса шуьга ларло бохург парушхойн а, садукъойн а бод совсош тухуш болу муьста бод бу».</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха уьш кхийтира Ӏийсас шайга дийцинарг бод совсош болу муьста бод боцийла. Цо уьш ларбеш дерг парушхойн а, садукъойн а хьехамаш бара.</verse>
				<verse number="13">Ӏийса Пилап-паччахьан гӀалин уллорачу метте веача, Цо шен мурдашка хаьттира: «Наха Адамийн КӀант мила ву боху?»</verse>
				<verse number="14">Цара элира: «Цхьаболчара Хьо нах хих чекхбоху Яхьъя ву боху, вукхара Эли-ЯхӀу-пайхамар, ткъа кхозлагӀчара Хьо Ярми-ЯхӀу, я кхечу пайхамарех цхьаъ ву боху».</verse>
				<verse number="15">ТӀаккха Цо цаьрга хаьттира: «Ткъа аша хӀун боху, Со мила ву боху аша?»</verse>
				<verse number="16">ШамӀа-Кипас жоп делира: «Хьо Дала леррина Къобалвинарг, дийна волчу Делан КӀант ву».</verse>
				<verse number="17">Цо аьллачунна дуьхьал Ӏийсас жоп делира: «Декъал хилла хьо, ШамӀа, Юнин кӀант, хӀунда аьлча хьуна иза нахера ца хиъна, стигалахь волчу Сан Дегара хиъна.</verse>
				<verse number="18">Аса боху хьоьга: хьо, тӀулг санна волу, Кипа ву. Цу тӀулга тӀехь Аса Сайх тешначийн тоба кхуллур ю. Жоьжахатин цӀеран а иза йохо ницкъ хир бац.</verse>
				<verse number="19">Аса стигалийн Олаллера догӀанаш лур ду хьоьга. Ахьа кху дуьнен чохь дихкинарг Дала дихкина хир ду. Ахьа дуьнен чохь магийтинарг, Дала магийтина хир ду».</verse>
				<verse number="20">Цо шен мурдашка омра дира, Ша Дала леррина Къобалвинарг ву аьлла, цхьаьнгге а дӀа ма ала аьлла.</verse>
				<verse number="21">Цу хенахь дуьйна Ӏийсас Шен мурдашка дуьйцуш хилла Ша Ярушалайме ваха везарх а, цигахь Шен баккхийчеран а, динан коьртачу дайн а, Ӏеламчу нехан а карах бала хьега безарх а лаьцна. Цо иштта дуьйцура Ша вийна хила везарх а, амма кхозлагӀчу дийнахь веллачуьра денвала везарх а лаьцна.</verse>
				<verse number="22">Кипа, Иза юьстах а ваьккхина, дуьхьало ян волавелира: «Дала тӀе ма доуьйтийла иза, Веза Эла! И тайпа хӀума Хьуна тӀе ма кхочийла!»</verse>
				<verse number="23">Кипига юха а вирзина, Цо элира: «ДӀадала Суна уллора, иблис! Ахьа Суна новкъарло йо, хьан даг чохь Делан ойланаш яц, адамийн ойланаш ю».</verse>
				<verse number="24">Ӏийсас Шен мурдашка элира: «Суна тӀаьхьахӀотта лууш болчара шайн „со“ бохург дӀататта деза, шайн баланийн мохь схьа а эцна, Суна тӀаьхьахӀитта а беза.</verse>
				<verse number="25">ХӀунда аьлча шен са кӀелхьардаккха воьлларг синах вер ву, ткъа Сан дуьхьа са дӀаделлачунна бакъдолу дахар карор ду.</verse>
				<verse number="26">ХӀун до кху дуьненах, нагахь санна цо шен са дайинехь? ХӀун до дерриг а дуьненах, нагахь стага шен са дайина хилча?</verse>
				<verse number="27">Адамийн КӀант шен Ден сийлаллица, гонах маликаш а долуш, схьавеача, Цо стагана хьакъ дӀалур ду, хӀораммо а динчуьнга хьаьжжина.</verse>
				<verse number="28">Аса баккъалла а боху шуьга: шуна юкъарчу цхьаболчарна, шаьш кхалхале, Адамийн КӀант гур ву, Шен Олаллица схьавогӀуш волу!»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="17">
				<verse number="1">Ялх де даьлча, Ӏийса, Шеца Кипий, Якъуббий, цуьнан ваша Яхьъяй схьа а эцна, цаьрца лекхачу лам тӀе хьала а ваьлла, адам доццучу метте юьстахвелира.</verse>
				<verse number="2">Цигахь, царна хьалххахь, Дала Цуьнан амат хийцира. Ӏийсан юьхь, малх санна, къегаш яра, Цуьнан бедарш бӀаьрган нур дойуш кӀайн яра.</verse>
				<verse number="3">ЦӀеххьана церан бӀаьрг кхийтира Ӏийсаца къамел деш волчу Эли-ЯхӀу-пайхамарххий, Муса-пайхамарххий.</verse>
				<verse number="4">Кипас Ӏийсага элира: «Веза Эла! Ма дика Ӏа вай кхузахь! Хьуна лаахь, аса кхузахь кхо кхалор хӀоттор ю: цхьаъ Хьуний, цхьаъ Мусаний, кхозлагӀниг Эли-ЯхӀуний».</verse>
				<verse number="5">Цо иза олучу юккъехь, лепаш йолу марха тӀе а еана, уьш дӀахьулбелира цуьнан ӀиндагӀехь. Мархи юккъера царна аз хезира: «ХӀара ву Суна дукхавезаш волу Сан КӀант! Цуьнгахула бу Сан лаам! ЛадогӀалаш Цуьнга!»</verse>
				<verse number="6">И аз шайна хезча, мурдаш, чӀогӀа кхерабелла, бертал лаьтта охьаийгира.</verse>
				<verse number="7">Ӏийсас, царна тӀе а веана, царах куьг а Ӏоьттина, элира: «Ма кхерало, хьалагӀовтта!»</verse>
				<verse number="8">Кортош хьалаайича, Ӏийса воцург, гонах цхьа а стаг ца гира царна.</verse>
				<verse number="9">Уьш лам тӀера охьабуьссучу хенахь Ӏийсас Шен мурдашка элира: «Адамийн КӀант веллачуьра денваллалц цхьаьнгге а шайна гинарг ма дийцалаш!»</verse>
				<verse number="10">ТӀаккха Ӏийсан мурдаша хаьттира: «Хьалха Эли-ЯхӀу-пайхамар ван веза хӀунда олу те Ӏелам наха?»</verse>
				<verse number="11">Ӏийсас жоп делира: «ХӀаъ, Эли-ЯхӀус, ван а веана, массо а хӀуманна тӀехь низам хӀоттор ду.</verse>
				<verse number="12">Амма Аса боху шуьга, Эли-ЯхӀу цкъа веанера шуна. Нахана иза ца вевзинера. Ткъа цара цуьнца шайна луъург лелийнера. Цо санна, Адамийн КӀанта а хьоьгур бу бала и нах бахьана долуш».</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха царна хиира Цо вуьйцуш верг нах хих чекхбоху Яхьъя вуйла.</verse>
				<verse number="14">Ӏийса адамаш долчу юхавирзича, Цунна тӀевеара цхьа стаг. Цунна хьалха гора а хӀоьттина, цо элира:</verse>
				<verse number="15">«Веза Эла! Къинхетам бехьа сан кӀантах! Иза лазар догӀуш ву. Цо чӀогӀа Ӏазап хьоьгу. Лазар тӀедеъча, иза цӀерга а вужу, хи чу а волу.</verse>
				<verse number="16">Аса Хьан мурдаш болчу валийнера иза, амма цаьрга цунна дарба дан ца делира».</verse>
				<verse number="17">Ӏийсас элира: «Галбевлла болу нах! Ва тешар доцу тукхам! Мел хир ву техьа Со шуна юкъахь? Мел лан деза техьа Аса шу? Схьавалаве иза Со волчу!»</verse>
				<verse number="18">Ӏийсас жине, арадала аьлла, омра дира. Цу сохьта кӀант товелира.</verse>
				<verse number="19">Ӏийса Ша волчу хенахь Цуьнан мурдаша, тӀе а баьхкина, хаьттира: «Тхоьга хӀунда ца даккхаделира те и жин ара?»</verse>
				<verse number="20">Цо элира: «Шун Делах тешар кӀезиг долу дела. Аса баккъал боху шуьга: нагахь санна шун Делах тешар жимачу буьрттигал а белахьара, и лаьтташ болчу цу ломе аша „ДӀахила“ аьлча, иза дӀахуьлур бара. Шуьга да ца луш цхьа а хӀума хир дацара».</verse>
				<verse number="21">***</verse>
				<verse number="22">Шаьш цхьаьна Галилай-махка схьадаьхкича, Ӏийсас Шен мурдашка элира: «Адамийн КӀант нехан кара дӀалур ву.</verse>
				<verse number="23">Иза цара вуьйр ву. Амма кхозлагӀчу дийнахь Иза денлур ву». Цуьнан мурдаш чӀогӀа гӀайгӀане ийгира.</verse>
				<verse number="24">Уьш Ӏийсаца Къапарнаме кхаьчча, Кипина тӀебаьхкира Делан цӀенна ял гулъеш берш. Цара хаьттира: «Шун устазо Делан цӀенна гӀуллакхна ял лой?»</verse>
				<verse number="25">Кипас жоп делира: «Ло!» Иза а аьлла, Кипа цӀа чу вахара. Цо цхьа а дош алале, Ӏийсас цуьнга хаьттира: «Хьуна муха хета, ШамӀа: дуьнен чохь болчу паччахьаша ял шайн махкарчу бахархошкара йоккху, я кхечу махкара баьхкинчу бахархошкара йоккху?»</verse>
				<verse number="26">Кипас элира: «Кхечу махкара баьхкинчу нахера йоккху». ТӀаккха Ӏийсас элира: «Делахь хӀета церан бахархой, ял ца луш, кӀелхьарбовлу-кх.</verse>
				<verse number="27">Амма кхузара Ӏедалехь болу нах оьгӀаз ца бахийта, ваха а гӀой, чӀерий лоцу мӀара хи чу а кхоссий, уггар хьалха айхьа схьалаьцна болчу чӀеран бага хьажа. Цигахь хьуна къастийна ахча карор ду. Иза схьа а эций, хьайна а, Суна а тӀера ял дӀало».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="18">
				<verse number="1">Ӏийсана тӀе а баьхкина, Цуьнан мурдаша хаьттира: «Стигалийн Олаллехь уггар лакхара верг мила ву?»</verse>
				<verse number="2">Цо, бер тӀе а кхайкхина, мурдашна юккъе иза дӀа а хӀоттийна,</verse>
				<verse number="3">элира: «Аса баккъалла боху шуьга: шайн дегнаш цӀан а дина, бераш санна дӀа ца хӀиттахь, Стигалийн Олалла тӀе а лаьцна, шу цкъа а Делаца хир дац.</verse>
				<verse number="4">ХӀара бер санна, муьтӀахь а хилла, дӀахӀоьттинарг Стигалийн Олалла тӀелаьцначарна юкъахь уггар лакхара ву.</verse>
				<verse number="5">Сан дуьхьа иштта цхьа бер тӀеоьцучо Со а оьцу тӀе».</verse>
				<verse number="6">«Амма Сох тешаш болчу царах лахара волчуьнга къа латадойтуш волчу хӀора стагана, хьеран тӀулг коча а тасийтина, ша хи чу а кхоссийтина, хӀорда буха вахар гӀоле ду.</verse>
				<verse number="7">Ма декъаза ду-кх дуьне, къа латоран бахьанаш шена чохь хиларна. Къа латоран бахьанаш хила дезара, амма декъаза бу къа лато бахьанаш дохуш болу нах.</verse>
				<verse number="8">Хьан куьйго я кого хьоьга къа латадайта бахьана даьккхинехь, и куьг я ког, схьа а даккхий, дӀакхосса. ХӀунда аьлча ког-куьг а доцуш Далла гергахь вахар гӀоле ду хьуна, ши ког а, ши куьг а шайн меттехь а долуш, жоьжахатин цӀергахь хьо вагавойтучул.</verse>
				<verse number="9">Хьан бӀаьрг бахьана долуш хьох къа леттехь, иза, схьа а баккхий, дӀакхосса. Цхьана бӀаьргаца Далла уллохь вехаш хилар гӀоле ду хьуна, ший а бӀаьрг а болуш, жоьжахатин цӀергахь хьо вагавойтучул».</verse>
				<verse number="10">«Варелаш, цхьанна а цу лахара болчарна вас ма елаш. Аса тоьшалла до шуна, церан маликашна стигалахь волчу Сан Ден юьхь го аьлла.</verse>
				<verse number="11">***</verse>
				<verse number="12">Шуна муха хета? Шен бӀе уьстагӀ берг, царна юкъара цхьа уьстагӀ дӀакъаьстича, бисина болу безткъе ткъайоьсна уьстагӀ шаьш болчохь лам чохь а битина, и дӀакъаьстина уьстагӀ лаха гӀур вац?</verse>
				<verse number="13">Ас баккъалла а боху шуьга: шена дӀакъаьстина цхьа уьстагӀ схьакарийча, лам чохь бисинчу безткъе ткъайоьсна уьстагӀал оцу цхьана уьстагӀах цуьнан самукъадер ду.</verse>
				<verse number="14">Иштта шун стигалахь волчу Дена а ца лаьа цу лахара болчарах цхьа а дӀакъастийта».</verse>
				<verse number="15">«Хьан динан вашас хьуна дуьхьал къа латадахь, ваха а гӀой, шаьшшиъ волчохь шегара даьллачух иза кхетаве. Цо хьоьга ладогӀахь, тӀаккха ахьа цунах юха а хьайн динан ваша во.</verse>
				<verse number="16">Амма цо хьоьга ла ца догӀахь, хьайца цхьаъ я шиъ стаг валаве, хӀунда аьлча Йозанаша ма-бохху: „ХӀорра а бехкевар шина я кхаа тоьшалла дечеран багахула чӀагӀдийр ду“.</verse>
				<verse number="17">Цо цаьрга а ла ца догӀахь, динан гуламе дӀадийца. Цо цаьрга а ла ца догӀахь, кхечу къаьмнех болчу нахаца я ял схьагулъеш болчаьрца санна, юкъаметтиг лелае цуьнца.</verse>
				<verse number="18">Баккъалла а боху Ас шуьга: аша кху дуьнен чохь дихкина долу гӀуллакх стигалахь Дала а дихкина хир ду. Аша кхузахь нахана пурба лахь, иза Дала делла пурба санна хир ду.</verse>
				<verse number="19">Кхин цхьа хӀума а эр ду Аса шуьга: шух волчу шиммо, барт а бина, доӀанехь Деле доьхуш хилахь, цара деххнарг Сан стигалахь волчу Дас кхочушдийр ду.</verse>
				<verse number="20">ХӀунда аьлча шиъ-кхоъ стаг Сан цӀарах вовшахкхетахь, цаьрца Со а хир ву».</verse>
				<verse number="21">Кипас, Ӏийса волчу а веана, хаьттира: «Сан Эла! Вашас суна дуьхьал къа латош хилча, со мосазза къинтӀера вала веза цунна? ВорхӀазза вала везий?»</verse>
				<verse number="22">Ткъа Ӏийсас цуьнга элира: «Аса боху: иза ворхӀазза хир дац, ворхӀазза кхузткъе итт эцча санна, хир ду.</verse>
				<verse number="23">Стигалийн Олалла хӀокхунах тера хила мега. Цхьа паччахь шен ялхошкара декхар схьагулдеш хилла.</verse>
				<verse number="24">Декхар схьагулдан иза волавелча, кхунна тӀевалийна цхьа ялхо. Иза итт эзар гали дашо ахча декхарийлахь хилла.</verse>
				<verse number="25">Амма и декхар схьадала цуьнан таро йоцийла хиъча, паччахьо омра дина, иза цуьнан зудчуьнца а, берашца а, цуьнан йолчу салпалца а шен декхар юхадерзорхьама дӀавохка аьлла.</verse>
				<verse number="26">ТӀаккха ялхочо, шен паччахьна хьалха гора а хӀоьттина, дехар дина: „Ахьа цхьажимма собар дехьа, аса декхар дӀалур ду хьуна!“</verse>
				<verse number="27">Паччахьна ялхочух къахетта. Цо иза, декхарна къинтӀера а ваьлла, дӀавахийтина.</verse>
				<verse number="28">Ткъа цу ялхочо, шена бӀе динари дети-ахча декхарийлахь волчу вукху ялхочунна тӀе а вахана, иза лаг тӀера а лаьцна, цуьнан са а дукъош, цо шена схьадалаза долу декхар схьадийхира: „Схьало айхьа суна схьадала дезарг!“ — аьлла.</verse>
				<verse number="29">ТӀаккха цу ялхочо, хӀокхунна хьалха гора а воьжна, дехар а деш, элира: „Собар дахьара ахьа, аса хьан дерриг а декхар дӀалур дара“.</verse>
				<verse number="30">Амма хьалхарчу ялхочо цуьнга ла ца дуьйгӀира. Цо иза шен декхар схьадаллалц набахти чу воллийтира.</verse>
				<verse number="31">И хӀума гина болчу ялхоша шайна гинарг, эла волчу дӀа а бахана, дӀадийцира.</verse>
				<verse number="32">Эло, и ялхо тӀе а кхайкхина, цуьнга элира: „Сий доцу лай! Ахьа дехар дича, аса сайн дерриг а декхар, къинтӀера а ваьлла, хьуна дитира.</verse>
				<verse number="33">Ткъа ахьа а мегар дацара хьо санна волчу хьайн накъостах къинхетам бан, аса хьайх ма-барра?“</verse>
				<verse number="34">ОьгӀазваханчу эло омра дира, ницкъ а беш, иза набахти чохь латтаве, цо дерриг а декхар схьадаллалц, аьлла.</verse>
				<verse number="35">Иштта хир ву шуьца Сан Стигалара Да а, шу даггара шайн вешина къинтӀера ца довлахь».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="19">
				<verse number="1">Шен къамел чекхдаьллачул тӀаьхьа Ӏийса, Галилай-махкара дӀа а вахана, ЯхӀуд-махкарчу Йордан-хина дехьарачу агӀонгахь йолчу метте веара.</verse>
				<verse number="2">Цунна тӀаьхьа хӀоьттина лелаш адамийн тобанаш яра, Цо царна цигахь дарбанаш а дира.</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха Ӏийсана тӀе парушхой баьхкира, Иза зерхьама. Цара хаьттира: «Бакъонехь нийса хир дуй муьлххачу бахьанехь а стаг шен зудчух дӀасакъастар?»</verse>
				<verse number="4">Ӏийсас жоп делира: «Аша ца дешна Кхоьллинчо и шиъ юьхьанца стаггий, зудий кхоьллина хиларх лаьцна?</verse>
				<verse number="5">Цигахь аьлла ду: „Иза бахьана долуш, шен дай-наний а дитина, стаг шен зудчуьнца цхьаьнакхетар ву. ТӀаккха и шиъ цхьаъ хир ду“.</verse>
				<verse number="6">ХӀинца уьш шиъ доцуш, цхьаъ санна долу дела, цхьаммо а къаста ма дойла Дала цхьаьнатоьхнарг!»</verse>
				<verse number="7">ТӀаккха цара Цуьнга хаьттира: «Ткъа Мусас тӀе хӀунда диллина, дӀасакъастарх лаьцна йозанца дина долу тоьшалла зудчуьнга дӀа а лой, цуьнца дӀасакъаста аьлла?»</verse>
				<verse number="8">Ӏийсас цаьрга элира: «Шун дегнаш къиза долу дела елла шуна Мусас зудчуьнца дӀасакъаста бакъо. Амма дуьххьара иштта ца хилла.</verse>
				<verse number="9">Ткъа Аса боху шуьга: зуда сийсаза лелар бахьана а доцуш, кхин хӀума бахьана долуш иза йита а йитина, шена кхин зуда ялийна волу стаг, ямартло еш ву».</verse>
				<verse number="10">Мурдаша Цуьнга элира: «Майрачун зудчунна хьалха долу декхарш иштта делахь, цунна зуда а ца ялош Ӏер гӀолехь ду».</verse>
				<verse number="11">Ткъа Цо элира: «Дала шена деллачунна чохь бен тарлур дац Сан дешнаш.</verse>
				<verse number="12">Цхьаберш шаьш дуьнен чу бовллушехь ваьӀна стаг санна хуьлу, вуьш — нах бахьанехь хуьлу иштта, ткъа кхозлагӀнаш Стигалийн Олалла бахьана долуш зуда ца ялош соцу. Шена и хьехам чохь тарлочунна иза чохь тарлойла».</verse>
				<verse number="13">Ӏийса волчу бераш далийра, царна тӀе куьйгаш а дехкина, Цуьнга доӀа дайтархьама. Амма Цуьнан мурдаш резабоцуш, бераш далош баьхкинчарах бехкаш дохуш, луьйш бара.</verse>
				<verse number="14">Ӏийсас элира: «ХӀара бераш тӀедахкийта Суна, царна дуьхьало ма е, хӀунда аьлча Стигалийн Олалла тӀелаьцнарш уьш санна бу».</verse>
				<verse number="15">Царна тӀе куьйгаш а дехкина, Цо уьш декъалбира. Цул тӀаьхьа Иза цигара дӀавахара.</verse>
				<verse number="16">Цхьана стага, Ӏийсана тӀе а веана, хаьттира: «Устаз, муьлха дика болх бан беза аса Дела волчохь хедар доцучу дахаре со нисвалийта?»</verse>
				<verse number="17">Ӏийсас цуьнга элира: «Соьга хӀунда хоьтту ахьа, диканиг муьлха ду бохуш. Цхьаъ бен вац Диканиг. Ткъа хьо Дела волчохь хьайн дахар нисдалийта лууш велахь, хьайна тӀедиллина парзаш кхочушде».</verse>
				<verse number="18">Жимачу стага хаьттира: «Муьлха парзаш?» Ӏийсас жоп делира: «Адам ма де, нахаца ма лела, къола ма де, харц тоьшалла ма де,</verse>
				<verse number="19">дай-наний а лара, хьайн уллораниг хьо санна веза».</verse>
				<verse number="20">Жимачу стага Цуьнга элира: «Иза шадерг а аса кхочушдина, кхин хӀун оьшу суна?»</verse>
				<verse number="21">Ӏийсас жоп делира: «Кхачамалла йолуш хьо хила лууш велахь, ваха а гӀой, хьайн мел долу хӀума дӀа а дохкий, къечарна дӀасадекъа, тӀаккха стигалахь жовхӀар хир ду хьан. ТӀаккха, схьа а волий, Суна тӀаьхьахӀотта».</verse>
				<verse number="22">И дешнаш шена хезча, жима стаг, гӀайгӀане а воьжна, дӀавахара, хӀунда аьлча иза чӀогӀа хьал долуш вара.</verse>
				<verse number="23">Шен мурдашка Ӏийсас элира: «Баккъалла а боху шуна Аса: хала ду хьалдолчунна, Стигалийн Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь хила.</verse>
				<verse number="24">Кхин цхьаъ а эр ду Аса шуьга: эмкална механ Ӏуьргахула чекхъяла атта ду, хьалдолчунна, Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь хуьлучул».</verse>
				<verse number="25">Мурдаша, иза шайна хезча, чӀогӀа цец а бевлла, хаьттира Цуьнга: «Ткъа мила ваккхалур ву кӀелхьара?»</verse>
				<verse number="26">Цаьрга а хьаьжна, Ӏийсас элира: «Адамашка иза кхочушдалур дац, амма Деле дан а ца луш хӀумма а дац».</verse>
				<verse number="27">Кипас Цуьнга элира: «Хьажахьа! Дерриге Ӏадда а дитина, Хьуна тӀаьхьа хӀиттина-кх тхо. Тхоьга хӀун кхочур ду?»</verse>
				<verse number="28">Ӏийсас цаьрга элира: «Баккъалла а боху Аса шуьга: керла дуьне дӀа а хӀоттийна, Адамийн КӀант Шен сийлахьчу паччахьан гӀанта тӀе охьахуун волчу хенахь, Суна тӀаьхьахӀиттина шу а цигахь хир ду. Исраилан халкъана юкъарчу шийтта тайпанна кхел а еш, шу шийтта паччахьийн гӀанташна тӀе охьаховшур ду.</verse>
				<verse number="29">Сан дуьхьа шен цӀа, я вежарий-йижарий, я да а, нана а, я бераш, я шен бахам битина волчу стеган хьал бӀозза дукха стамлур ма ду, ткъа Дела волчохь хедар доцу дахар а хуьлуьйтур ду цуьнан.</verse>
				<verse number="30">Амма хӀинца хьалхе йоккхуш болу дукхахберш тӀаьхьара хир бу, ткъа тӀаьхьарнаш хьалхара хир бу».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="20">
				<verse number="1">«ХӀунда аьлча Стигалийн Олалла иштта ду. Шен долахь латта а долуш, Ӏуьйранна сахуьлучу хенахь шен кемсийн бешахь болх байта белхалой лаца вахана цхьа стаг.</verse>
				<verse number="2">Цхьа динари ахча лур ду аьлла, цаьрца барт а бина, цо уьш шен кемсийн беша дӀахьажийна.</verse>
				<verse number="3">Ӏуьйранна исс сахьт даьлча, базаран майданахула тӀехволуш, цунна гина цхьа а хӀума а ца деш лаьтташ волу масех стаг.</verse>
				<verse number="4">Цо цаьрга аьлла: „Дуьйло, сан кемсийн бешахь болх бе, аса шуна бала беззаш болу мах дӀалур бу“.</verse>
				<verse number="5">Уьш дӀабахана. Де делкъе даьлча а, юха делкъал тӀаьхьа кхо сахьт даьлча а, базаран майдане а вахана, оцу стага нах кемсийн беша болх бан бахийтина.</verse>
				<verse number="6">Суьйранна пхи сахьт даьлча иза майдана веача а, гина цунна деш хӀума а доцуш лаьтташ болу нах. Цо цаьрга хаьттина: „Шу хӀунда лаьтта кхузахь, деш-дуьтуш хӀума а доцуш?“</verse>
				<verse number="7">Цара жоп делла: „Тхо цхьаммо а болх бан тӀе ца лаьцна дела лаьтта-кх“. ТӀаккха цо цаьрга аьлла: „Шу а гӀо сан кемсийн беша болх бан“.</verse>
				<verse number="8">Суьйре тӀекхаьчча, беш йолчу дас ша белхалошна тӀехьажа хӀоттийначуьнга элира: „Белхалой схьа а кхайкхий, царна алапа дӀало — тӀаьхьара болчарна тӀера дӀадоладай, хьалхарчарна тӀекхаччалц“.</verse>
				<verse number="9">Пхи сахьт даьлча цо схьахьажийнарш схьабаьхкича, царна цхьацца динари ахча делла.</verse>
				<verse number="10">Хьалха цо тӀелаьцна болчарна, шайна алсам ахча дала деза аьлла хетташехь, царна а делла цхьацца динари.</verse>
				<verse number="11">Ахча схьаэцначул тӀаьхьа уьш, хьолахочунна резабоцуш, къамелаш дан буьйлабелла.</verse>
				<verse number="12">Цара бохуш хилла: „Уггар тӀаьхьа баьхкинчара цхьана сахьтехь бен болх ца бина, ткъа уьш тхоьца дӀанисбина. Ткъа дукхах болу болх оха бина, дийнахь сарралц малхан тов а ловш“.</verse>
				<verse number="13">Царах волчу цхьаьнга хьоладас аьлла: „ХӀей къонах, аса хьоьца хьарамло ма ца йина. Вайшиммо бина барт ма бара, ахьа цхьана динарих болх бийр бу аьлла.</verse>
				<verse number="14">Хьайна догӀуш долу ахча дӀа а эций, дӀагӀо хьайн новкъа. Ткъа суна тӀаьхьо баьхкинчарна а хьуна деллачул ахча дала лаьа.</verse>
				<verse number="15">Сайн бахамах сайна луъург дан йиш йолуш вац со? Сан комаьрша хилар бахьана долуш ю хьан соьца йолу хьагӀ?“</verse>
				<verse number="16">Иштта тӀаьхьарнаш хьалхара хир бу, ткъа хьалхе йоккхуш берш тӀаьхьара хир бу».</verse>
				<verse number="17">Ярушалайме боьдучу новкъахь Ӏийсас Шен шийтта мурде, юьстаха а ваьккхина, элира:</verse>
				<verse number="18">«ЛадогӀа Соьга. Вай Ярушалайме доьлхуш ду. Цигахь Адамийн КӀант динан коьртачу дайшкий, Ӏеламчу нахей дӀалур ву. Цара Иза вен кхел йийр ю.</verse>
				<verse number="19">ТӀаккха Иза хийрачу къаьмнийн нахе сийсазваккхийта дӀалур ву. Цара Иза жӀарах дӀатухур ву. КхозлагӀчу дийнахь Иза денвийр ву».</verse>
				<verse number="20">Цу хенахь шен кӀенташца Зевадин зуда тӀееара Цунна. Гора а хӀоьттина, Цуьнга дехарца йистхилира иза.</verse>
				<verse number="21">Ӏийсас цуьнга хаьттира: «Хьуна хӀун оьшу?» Цо жоп делира: «Суна чӀагӀо ехьа, Хьан Паччахьаллехь хӀара сан ши кӀант Хьайна юххехь охьахуур ву аьлла. Цхьаъ Хьуна аьтту агӀор, важа аьрру агӀор охьахаавехьа».</verse>
				<verse number="22">Амма Ӏийсас элира: «Шаьш хӀун доьху а ца хаьа шуна. Аса молу къаьхьа кад малалур буй те шуьга?» «Бу», — элира цара.</verse>
				<verse number="23">Ткъа Ӏийсас цаьрга элира: «Аса молу къаьхьа кад-м мер бу аша. Амма Суна аьтту агӀор, я аьрру агӀор охьахаар — иза Сан карахь дац. Сан Дас и меттигаш цхьаболчу нахана кечйина, уьш хила еззачеран хир ю».</verse>
				<verse number="24">Иза шайна хезча, висина итт мурд оьгӀазвахара цу шинна.</verse>
				<verse number="25">Амма Ӏийсас, уьш Шена тӀе а кхайкхина, элира цаьрга: «Шуна хууш ма ду, кхечу къаьмнийн куьйгалхоша шайн адамашна тӀехь олалла дойла а, ткъа лакхара хьалдолчу наха уьш бацабойла а.</verse>
				<verse number="26">Амма шуна юкъахь хила ца деза иштта. Шух уггар лакхара хила лууш верг шун ялхо хила веза.</verse>
				<verse number="27">Шух хьалхара хила лууш верг шун лай хила веза.</verse>
				<verse number="28">Адамийн КӀант а ма ца веана Шена хьалхара гӀуллакх дайта. Иза нахана гӀуллакх дан а, Шен дахар дӀадала а веана, дукхахболчеран къинош дӀатакхархьама».</verse>
				<verse number="29">Ӏийсай, Цуьнан мурдашший Ерихон-гӀалара дӀабоьлхучу хенахь, царна тӀаьхьа лелаш адамийн тобанаш яра.</verse>
				<verse number="30">Некъа йистехь хиъна Ӏаш волу бӀаьрзе ши стаг, Ӏийса уллохула тӀехволуш шайна хаавелча, мохь а тухуш, вистхилира: «Къинхетам бехьа тхох, Веза Эла, Даудан КӀант!»</verse>
				<verse number="31">Тобанна юкъара нах, гӀовгӀа ма е а бохуш, вуьш чехо хӀоьттича, цара кхин а чӀогӀа мохь хьаькхира: «Веза Эла! Даудан КӀант! Къинхетам бехьа тхох!» — аьлла.</verse>
				<verse number="32">ТӀаккха Ӏийсас, саца а сецна, уьш Шена тӀекхайкхира. Цо цаьрга хаьттира: «Аса хӀун дойла лаьара шуна?»</verse>
				<verse number="33">Цара Цуьнга элира: «Эла! Тхуна тхан бӀаьргаш схьаделладала лаьара».</verse>
				<verse number="34">Царах къа а хетта, Ӏийсас церан бӀаьргех куьг Ӏоьттира. Церан бӀаьрса цу сохьта схьадеара. И ши стаг Цунна тӀаьхьахӀоьттира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="21">
				<verse number="1">Ярушалаймана улло а баьхкина, Зайт-диттийн ломана уллохь Ӏуьллуш йолчу Бет-Паге шаьш кхаьчча, Ӏийсас Шен мурдех шиъ вахийтира,</verse>
				<verse number="2">хьехар а дина: «Шайна хьалха Ӏуьллуш йолчу юьрта а гӀой, уллохь вирбекъа а йолуш, дӀайихкина йолу вир шайна гича, иза схьа а ястий, уьш а ялош, Суна тӀе схьадуьйла.</verse>
				<verse number="3">Шайга цхьаммо хаттахь, аша ала деза: „Уьш Элана оьшуш ю. Цо уьш сихха юха схьаялайойтур ю“».</verse>
				<verse number="4">И шадерг а хилла пайхамарехула аьлла хилларг кхочушхилийтархьама:</verse>
				<verse number="5">«ДӀаала Цийонан йоӀе: „Хьажал, хьан Паччахь ву хьо йолчу тӀевогӀуш! Цуьнан эсала амал ю. Иза вирана тӀехиъна вогӀу, боьршачу вирбокъана тӀехиъна вогӀу!“»</verse>
				<verse number="6">Цуьнан мурдаша, бахана, Цо аьлларг кхочушдира.</verse>
				<verse number="7">Цара виррий, вирбекъий схьаялийра, царна тӀе шайн бедарш а ехкина. ТӀаккха Ӏийса цу бедаршна тӀехула вирана тӀехиира.</verse>
				<verse number="8">Адамийн тобанна юкъахь болчара шайн бедарш некъа тӀе охьатуьйсура, вукхара диттийн гаьннаш, схьа а хедош, некъа тӀе охьадохкура.</verse>
				<verse number="9">Цунна хьалха а, тӀехьа а адамийн тобанаш яра. Цара, мохь а бетташ, бохура: «Хастам бу Даудан КӀантана! Декъал хуьлда Везачу Элан цӀарах вогӀуш Верг! ХӀашанна! Хастам бу стигалшкарчу Веза Воккхачу Далла!»</verse>
				<verse number="10">Иза Ярушалайме чувеача, ерриг а гӀалара адамаш синтем байна дара, цара вовшашка хоьттура: «Иза мила ву?»</verse>
				<verse number="11">Адамийн тобанна юкъара царна жоп делира: «Галилай-махкахь йолчу Назарт-гӀалара Ӏийса-пайхамар ву», — аьлла.</verse>
				<verse number="12">Ӏийсас, Делан цӀийнан керта а вахана, цигахь йохкаэцар лелош мел верг аралаьллира. Цо ахчанаш хуьйцучеран гӀопастанаш а, кхокхий духкучеран гӀанташ а харцийра.</verse>
				<verse number="13">Цо элира: «Яздина ду: „Сан цӀа доӀанаш ден цӀа олуш хир ду“. Ткъа аша кхунах „зуламхойн бен“ бина».</verse>
				<verse number="14">Делан цӀийнан кертахь волчу Цунна тӀеэха буьйлабелира бӀаьрзенаш, астагӀнаш. Цо уьш тобира.</verse>
				<verse number="15">Динан коьртачу дайшний, Ӏеламчу наханий Цо лелош долу тамашийна хӀуманаш гича а, Делан цӀийнан кертахь бераша детта маьхьарий: «Хастам хуьлда Даудан КӀантана!» — бохуш шайна хезча а, уьш карзахбевлла хьаьвзира.</verse>
				<verse number="16">Цара Ӏийсага хаьттира: «Хьуна хезий цара бохург?» Ӏийсас жоп делира: «Хеза. Аша цкъа а ца дешна: „Кегийчу берийн а, декхаш долчу берийн а багахула бойтур бу Ахьа хастамаш“?»</verse>
				<verse number="17">Цигара дӀа а ваьлла, Ӏийса Бет-ХӀине вахара. Буьйса цигахь яьккхира Цо.</verse>
				<verse number="18">Ӏуьйранна гӀала юхавогӀучу хенахь Ӏийса мацвеллера.</verse>
				<verse number="19">Некъан йистехь ша лаьтташ долу комаран дитт а гина, Иза цунна тӀевахара. Амма цунна тӀехь, гӀаш доцург, цхьа а стом бацара. ТӀаккха Цо дитте элира: «Цкъа а цхьа а стом ма латабойла хьуна тӀе!» Комаран дитт цу сохьта дакъаделла дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="20">И сурт шайна гича, Кхуьнан мурдаша, чӀогӀа цец а бевлла, хаьттира: «И комаран дитт муха дакъадели сел сиха?»</verse>
				<verse number="21">Ӏийсас цаьрга жоп делира: «Аса баккъалла а боху: шун, шеко а йоцуш, чӀогӀа тешар делахь, шуьга хӀокху комаран диттана хилларг дан ницкъ кхаьчна а ца Ӏаш, аша и лаьтташ болчу ломе: „Хьала а балий, хӀордана чу кхоссало“, — алахь, иза а кхочуш хир ду.</verse>
				<verse number="22">Аша доӀанехь Делах тешарца доьхуш мел дерг а кхочуш хир ду».</verse>
				<verse number="23">Иза, Делан цӀийнан керта а веана, нах Ӏамош волчу хенахь динан коьртачу дайша а, къаноша а, Кхунна тӀе а баьхкина, хаьттира: «Муьлхачу бакъонца ду Ахь деш дерг? Хьан елла Хьуна и бакъо?»</verse>
				<verse number="24">Ӏийсас цаьрга жоп делира: «Аса а дийр дара шуьга цхьа хаттар. Цунна аша жоп лахь, тӀаккха Аса а эр ду шуьга, хьенан бакъонца деш ду и дерриг а.</verse>
				<verse number="25">Яхьъяс адамаш хих чекхдахар мичара дара? Стигалара дара я Адамашкара дара?» ТӀебаьхкинарш вовше барт бан хӀиттира: «Нагахь вай: „Стигалара яра“, алахь, Цо хоттур ду: „Цунах хӀунда ца тийшира шу?“ — аьлла.</verse>
				<verse number="26">Амма нагахь: „Адамашкара яра“, — алахь, нахера кхерам бу вайна, хӀунда аьлча Яхьъя цара пайхамар лоруш ву».</verse>
				<verse number="27">Ӏийсана цара жоп делира: «Тхуна ца хаьа», — аьлла. ТӀаккха Цо цаьрга элира: «Ас а эр дац шуьга, муьлхачу бакъонца деш ду Айса деш дерг».</verse>
				<verse number="28">«Шуна муха хета? Цхьана стеган ши кӀант хилла. Цо, хьалхарчунна тӀе а вахана, элира: „КӀант, тахана ваха а гӀой, сан кемсийн бешахь болх бе“.</verse>
				<verse number="29">КӀанта элира: „Суна ца лаьа“. Амма иза, ойла йинчул тӀаьхьа метта а веана, болх бан вахара.</verse>
				<verse number="30">ТӀаккха дас, важа кӀант волчу а вахана, вукхуьнга а изза элира. ШолгӀачу кӀанта жоп делира: „ГӀур ву“. Амма иза болх бан ца вахара.</verse>
				<verse number="31">Муьлхачо кхочушдина шайн ден дехар?» Цара элира: «Хьалхарчо». ТӀаккха Ӏийсас элира: «Баккъалла а боху Аса шуьга: ял гулъешбершший, нахаца лелаш болу зударий Делан Олалла шул хьалха тӀелоцуш бу.</verse>
				<verse number="32">ХӀунда аьлча Яхьъя шу долчу Делан лаамехь болчу новкъахула веара, амма шу цунах ца тийшира. Ял гулъешберш а, хьарам новкъахула лелаш болу зударий а цунах тийшира. Амма шу, шайна дерриг а гиначул тӀаьхьа а, метта ца даьхкира цунах тешархьама».</verse>
				<verse number="33">«ЛадогӀалаш кхин а цхьана хьекъалечу дийцаре. Цхьана шен долахь латта долчу стага кемсаш йийна хилла. Цу бешана гонах керт а йина, кертахь мутт даккха ор а кечдина, Ӏуналлина бӀов а хӀоттийна цо. Уьш лело белхалой а лаьцна, цӀера ваьлла хилла иза.</verse>
				<verse number="34">Кемсаш схьагулъян хан тӀекхаьчначу хенахь, цо кемсаш лелош берш болчу шен ялхой бахийтина шена догӀу дакъа схьаэца.</verse>
				<verse number="35">Амма цара, кхо бахкийтина болу нах схьа а лаьцна, царах цхьанна чӀогӀа йиттина, важа вийна, ткъа кхозлагӀниг, тӀулгаш диттина.</verse>
				<verse number="36">ТӀаккха цо кхин а хьалха бахийтинчул сов ялхой бахийтина. Цаьрца а изза „гӀиллакх“ хӀоттийна кемсашлелорхоша.</verse>
				<verse number="37">Эххар а цо шен кӀант вахийтира, олуш: „Сан кӀанте-м ларам хир ма бу церан“.</verse>
				<verse number="38">Шайна кӀант гича, цара вовшашка элира: „Иза хин олу хӀусамда ву. Иза вен а вийна, цунна кхочу болу бахам вай ваьшна бита беза“.</verse>
				<verse number="39">Цунна тӀе а кхетта, кемсийн бешара иза ара а ваьккхина, цара иза вийна.</verse>
				<verse number="40">Шуна муха хета, хӀун дийр ду кемсийн беш йолчу дас, ша цига веача?»</verse>
				<verse number="41">Цара Ӏийсага элира: «Цо уьш, къа ца хеташ, хӀаллакбийр бу, ткъа кемсийн беш кхечаьрга йолах болх бан тӀелоцуьйтур ю, шена догӀуш долу дакъа, хан тӀекхаьчча, схьалун долчаьрга».</verse>
				<verse number="42">Ӏийсас цаьрга элира: «Аша ца дешна Делан Йозанашна тӀехь дерг: „ГӀишло еш пхьераша дӀакхоьссина тӀулг цӀийнан сонан йистехь коьрта тӀулг хилла, дӀахӀоьттина. Иза Везачу Эло дина ду, вайна гергахь и чӀогӀа инзаре а ду!“</verse>
				<verse number="43">Цундела Аса боху шуьга: Делан Олалла, шуьгара схьа а даьккхина, цунах Далла пайда бийр болчу нахе дӀалур ду.</verse>
				<verse number="44">Цу тӀулга тӀе охьавоьжнарг аталур ву, ткъа и тӀулг цхьанна тӀебоьжча, цо иза хьошур ву».</verse>
				<verse number="45">Шайна Цо дуьйцург хезча, динан коьрта дай а, парушхой а кхийтира, Цо дуьйцурш шаьш дуйла.</verse>
				<verse number="46">Иза схьалаца дагадеара царна, амма Ӏийса пайхамар лоруш болчу нахах уьш и дан ца хӀуьттура.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="22">
				<verse number="1">Ӏийсас юха а царна цхьа хьекъале дийцар далийра. Цо элира:</verse>
				<verse number="2">«Стигалийн Олаллехь иштта ду. Цхьана паччахьо шен кӀантана зуда ялош той кечдина.</verse>
				<verse number="3">Цо шен ялхой бахийтина хилла, хьалххе кхайкхина хиллачу хьешашка тойне схьадуьйла аьлла, амма вукхарна цига бахка ца лиъна.</verse>
				<verse number="4">Цо юха а ялхой бахийтина хьешашка дӀаала: „ЛадогӀалаш. Той дӀадахьа мел оьшуш дерг долуш ду. Дустийна долчу бежанашна урс а хьаькхна, шадерг а кийча ду. Дуьйлийша зуда ялочохь хӀоттийначу тойне“.</verse>
				<verse number="5">Амма хӀокхара кхайкхина болчу хьешашна цига бахка ца лиъна, уьш шайн гӀуллакхашка маьӀ-маьӀӀе дӀасабевлла. Цхьаъ шен кха тӀе болх бан вахана, важа шен йохкаэцар лело вахана,</verse>
				<verse number="6">ткъа вукхара, паччахьан ялхой схьа а лаьцна, уьш бала боллалц йиттина охьабехкина.</verse>
				<verse number="7">Паччахь чӀогӀа оьгӀазвахана. Цо, шен эскархой а бахийтина, шен ялхой байинарш байийтина, церан гӀала а ягийна.</verse>
				<verse number="8">ТӀаккха цо шен ялхошка элира: „Дерриг а кийча ду той дӀадахьа. Амма тойне кхайкхинарш кхуза бахка хьакъ долу нах ца хилла.</verse>
				<verse number="9">Даха а гӀой, хӀора некъ галморзаха болучу меттера нах схьакхайкха со волчу“.</verse>
				<verse number="10">Ялхоша, баха а бахана, массо а меттера нах схьакхайкхина. Царна юкъахь дика нах а, вон нах а хилла. Хьешийн цӀа хьаладуьзна хилла цара.</verse>
				<verse number="11">Паччахь уьш болчу араваьлча, хьешашна юкъахь цунна гира цхьа стаг, тӀехь тойне воьдуш юхуш йолу бедарш а йоцуш.</verse>
				<verse number="12">Паччахьо цуьнга хаьттира: „ХӀей къонах, хьо муха кхаьчна кхуза цу бедаршца?“ Важа вист ца хилла.</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха паччахьо шен ялхошка омра дира: „Иза, схьа а лаций, ког-куьг дӀа а дехкий, Ӏаьржачу боданечу метте чукхосса. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а ду“.</verse>
				<verse number="14">Кхайкхинарш дукха бу, амма царна юкъахь хаьржинарш кӀезиг бу».</verse>
				<verse number="15">ТӀаккха парушхой, ара а бевлла, шайна юкъахь барт беш хилла, Ӏийса дош харцдаьллачу меттехь муха лоцур вара техьа бохуш.</verse>
				<verse number="16">Цара шайн мурдаш бахийтина Иза волчу, царах хӀародхой а тоьхна. Мурдаша Ӏийсага элира: «Устаз! Тхуна хаьа Ахьа бакъдерг дуьйцийла а, Далла тӀе боьду некъ нийса хьоьхийла а. Наха Хьайна олучух гӀайгӀа беш а вац Хьо, хӀунда аьлча Хьо стеган дарже ца хьожу.</verse>
				<verse number="17">Алахьа тхоьга, Хьуна хӀун хета, нийса дуй те римхойн паччахьна ял ялар я дац?»</verse>
				<verse number="18">Ӏийсана хууш яра церан ямарта ойланаш, цундела Цо элира: «Шалхончаш! Со стенна зоь аш?</verse>
				<verse number="19">Схьагайта Суна шаьш йолана луш долу ахча». Цунна дато динари-ахча схьадеара.</verse>
				<verse number="20">ТӀаккха Цо хаьттира: «Хьенан сурт ду кху тӀехь диллинарг, хьенан цӀе ю язйинарг?»</verse>
				<verse number="21">Цара элира: «Римхойн паччахьан». ТӀаккха Ӏийсас цаьрга элира: «Делахь, паччахьна паччахьна доггӀург дӀало, Далла — Далла доггӀург».</verse>
				<verse number="22">Шайна иза хезча, уьш, цец а бевлла, дӀабахара.</verse>
				<verse number="23">Цу дийнахь ХӀара волчу садукъой баьхкира. Уьш ца тешара велла стаг денваларх. Цара Цуьнга хаьттира:</verse>
				<verse number="24">«Устаз, Мусас Ӏамадора: бер доцуш волу стаг велча, цуьнан вашас цунах йисина йолу зуда шена ерзор ю, ткъа цо дина долу бераш веллачун тӀаьхье санна лору.</verse>
				<verse number="25">Цхьана хенахь кхузахь Ӏаш ворхӀ ваша вара. Царах воккхаха волчо зуда ялийра. Шен бераш хилале иза валар бахьана долуш, цуьнан зуда шозлагӀа волчу вешина йисира.</verse>
				<verse number="26">Изза хӀума шозлагӀчу а, кхозлагӀчу а вешица хилира. Иштта ворхӀе а ваша велла дӀавелира.</verse>
				<verse number="27">Царал массарал а тӀаьхьа зуда елира.</verse>
				<verse number="28">Масала, нах беллачуьра денлучу дийнахь цу ворхӀ веших муьлхачун зуда хилла дӀахӀуттур ю иза? Уьш шаберш а цуьнца Ӏийна ма бу».</verse>
				<verse number="29">Ӏийсас жоп делира: «Шу тилла, хӀунда аьлча Делан Йозанаш ца хаьа шуна, Делан ницкъ а ца бевза шуна.</verse>
				<verse number="30">Беллачуьра денлучу заманахь наха зударий а балор бац, я уьш маре а гӀур бац. Стигаларчу маликех тарлур бу уьш.</verse>
				<verse number="31">Ткъа беллачуьра денбаларх лаьцна аьлча, аша ца дешна Дала шайга аьлларг:</verse>
				<verse number="32">„Со ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела ву“? Иза беллачеран Дела вац, дийначеран Дела ву!»</verse>
				<verse number="33">Шайна и хьехам хезча, нах чӀогӀа цецбевлира.</verse>
				<verse number="34">Цо садукъой Шен жоьпаца ала хӀума а доцуш битина хилар шайна хиъча, парушхой цхьаьна гулбелира.</verse>
				<verse number="35">Царах волчу цхьана Ӏеламчу стага, Ӏийса зерхьама, Цуьнга хаьттира:</verse>
				<verse number="36">«Устаз, товратан хьехамашна тӀехь уггар хьалха тӀедиллина долу гӀуллакх муьлха ду?»</verse>
				<verse number="37">Цо жоп делира: «„Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца, дерриг а хьекъалца веза“.</verse>
				<verse number="38">Иза уггар хьалхара, уггар лакхара тӀедиллина гӀуллакх ду.</verse>
				<verse number="39">Цунах терра шолгӀа тӀедиллинарг а ду: „Хьайн уллораниг хьо санна веза“.</verse>
				<verse number="40">Товрат тӀера бина берриге а хьехамаш а, пайхамарша яздина дерриге а Дала тӀедиллинчу оцу шина гӀуллакх тӀехь лаьтташ ду».</verse>
				<verse number="41">ТӀаккха Ӏийсас схьагулбеллачу парушхошка хаьттира:</verse>
				<verse number="42">«ХӀун ойланаш йо аша Дала леррина Къобалвинчух лаьцна? Хьенан КӀант ву Иза?» Цара Цуьнга элира: «Даудан КӀант ву».</verse>
				<verse number="43">Ӏийсас цаьрга элира: «Делан Сино иракарахӀоттийна волчу Дауда хӀунда олу Цунах „Хьалдолу Эла“? Цо ма олу:</verse>
				<verse number="44">„Везачу Эло аьлла сан Хьалдолчу Эле: ‘Суна аьтту агӀор охьахаа, Аса Хьан мостагӀий Хьан когашка охьабахккалц’“.</verse>
				<verse number="45">Дауда „Хьалдолу Эла“ ву аьлла, Цуьнан цӀе йоккхуш хилча, Иза муха хир ву Даудан кӀант?»</verse>
				<verse number="46">Цхьаммо а, цхьа дош аьлла а, жоп ца делира Цунна дуьхьал. ХӀетахь дуьйна схьа Ӏийсага цхьа а хаттар дан ца хӀуттура уьш.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="23">
				<verse number="1">ТӀаккха Ӏийса халкъаций, Шен мурдашций къамел дан волавелира.</verse>
				<verse number="2">Цо элира: «Ӏеламчу нахана а, парушхошна а бакъо елла Мусан товрат-хьехамах нах кхето.</verse>
				<verse number="3">Цу тайпана, цара дан деза бохург дерриг а кхочушде, амма уьш санна ма лела, хӀунда аьлча цара дан деза олу, ткъа шаьш и гӀуллакхаш дан а ца до.</verse>
				<verse number="4">Цара чӀогӀа хала парзаш хӀиттадо. Уьш кхочушдан чӀогӀа хала ду. И парзаш нахана тӀе а дехкина, уьш цаьрга дӀакхехьийта гӀерта. Ткъа шаьш пӀелг меттахбаьккхина а хӀума дан лууш бац.</verse>
				<verse number="5">Цара шаьш деш долу дика нахана гайтархьама до: Делан Йозанаш тӀеяздина йолу церан хьаьжнаш тӀе йоьхкург кхечерачул шорлуш ю, ткъа обанаш тӀера чечакхаш яхлуш ю.</verse>
				<verse number="6">Царна уггар сийлахь йолу меттигаш еза тойнашкахь а, гуламан цӀенош чохь а.</verse>
				<verse number="7">Царна лаьа базаран майданахь шайга чӀогӀа лоруш маршалла хаттийта а, „устаз“ аьлла, нахе шайн цӀе яккхийта а.</verse>
				<verse number="8">Амма аша шайн цӀе, „устаз“ алий, ма яккхийта, хӀунда аьлча вайн массеран а баккъалла а волу цхьа Устаз ву, ткъа шу вежарий ду.</verse>
				<verse number="9">Цхьаннан а кху дуьненахь „Веза Да“ алий, цӀе ма яккха, хӀунда аьлча шун Веза Да цхьаъ бен вац. Иза — Стигалахь Верг ву.</verse>
				<verse number="10">Шаьш „хьехамхой“ ду алий, цӀе ма яккхийта, хӀунда аьлча шун цхьа Хьехамхо ву — Дала леррина Къобалвинарг.</verse>
				<verse number="11">Шуна юкъара уггар лакхара верг шун ялхо хуьлийла.</verse>
				<verse number="12">Ша лакхара хеташ верг, лах а вина, кӀезиг хетар ву, ткъа ша кӀезиг хеташ верг хьалаваьккхина хир ву.</verse>
				<verse number="13">Къа ду шун, Ӏелам нах а, парушхой а, шалхалла шайца йолуш долу! Адамашна Стигалийн Олалла тӀелаца боьду некъ дӀакъевлина аша. Шаьш а ца доьлху шу цу некъахула, ткъа кхечу нахана а дуьхьал ду шу цу некъахула уьш бахийта.</verse>
				<verse number="14">***</verse>
				<verse number="15">Къа ду шун, Ӏелам нах а, парушхой а! Шалхалла шайца ерш! ХӀордана а, лаьттана а гобаккха кийча ду шу, цхьа стаг мукъана а шайгахьа ваккхархьама. И санна верг шайна карийча, цунах шайл шозза жоьжахатина пайдениг вой, дӀахӀоттаво аша.</verse>
				<verse number="16">Къа ду шун, шаьш бӀаьрзе а долуш, юьхьлаьцнарш. Аша олу: „Делан цӀийнах дуй биъча, хӀумма а дац, амма Делан цӀа чохь долчу деших дуй биъча, иза кхочушбан беза“.</verse>
				<verse number="17">БӀаьрзе, сонта нах! ХӀун ду деза — деши ду, я Делан цӀа ду, и деши даздеш долу?</verse>
				<verse number="18">Аша боху: „СагӀа доккхучу кхерчах дуй биъча, хӀумма а дац. Амма цу кхерча тӀехь Ӏуьллучу сагӀанах дуй биъча, иза къарбан йиш яц!“</verse>
				<verse number="19">БӀаьрзе нах! ХӀун ду деза — сагӀина еана хӀума ю, я ша кхерч бу, еана йолу хӀума язъеш болу?</verse>
				<verse number="20">Цу кхерчах дуй буучо цу тӀе охьайиллинчу хӀуманах а боу дуй.</verse>
				<verse number="21">Делан цӀийнах дуй буучо Делан цӀийнах а, цу чохь Ӏаш Волчух а боу дуй.</verse>
				<verse number="22">Стигалх дуй буучо Дала паччахьалла дечу гӀантах а, цу гӀанта тӀехь Волчух а дуй боу.</verse>
				<verse number="23">Къа ду шун, Ӏелам нах а, парушхой а. Шалхалла шайца ерш! Ялташ чудерзочу хенахь Ӏаждарбецан, цицан, оччаман уьтталгӀа дакъа аша сагӀина дӀало, ткъа товрат-хьехамашкахь уггар чӀогӀа лоруш дерш — нийсо, къинхетам, тешаме хилар — шуна дицделла. Хьо цхьа хӀуманаш лардеш волчу хенахь важа дицдан ца деза.</verse>
				<verse number="24">БӀаьрзе юьхьлаьцнарш! Шаьш молуш долчу хи чуьра чуьрк дӀайоккху аша, амма эмкал дӀакхоллу.</verse>
				<verse number="25">Къа ду шун, Ӏелам нах а, парушхой а. Шалхалла ю шуьца! Аша кад-хедар тӀехулара дикка цӀандо, амма чухулара уьш бӀаьрмецигаллица а, къизаллица а схьаяьккхина йолчу хӀуманах дуьзна ду.</verse>
				<verse number="26">БӀаьрзе парушхо, цкъа хьалха кад-хедар чуьра цӀанде, уьш тӀера а, чуьра а цӀена хилийта.</verse>
				<verse number="27">Къа ду шун, Ӏелам нах а, парушхой а. Шалхалла шайца ерш! Шу, кир а тоьхна, лаьтташ йолчу къуббанех тера ду. ТӀехулара хьаьжча, уьш хазахета, ткъа царна чохь беллачеран даьӀахкаш, дахкаделла долу дилха а ду.</verse>
				<verse number="28">Шу шаьш а, тӀехулара хьаьжча бакъахьара лелаш хетахь а, шайца шалхалла а йолуш, зуламах дуьзна долчарах ду.</verse>
				<verse number="29">Къа ду шун, Ӏелам нах а, парушхой а! Шалхончаш! Пайхамаршна къуббанаш хазйо аша, Делан лаамехь болчеран кешнаш кечдо.</verse>
				<verse number="30">Аша олу: „Тхо тхешан ворхӀе а да Ӏийначу хенахь даьхнехьара, оха тхайн дайшца пайхамарийн цӀий Ӏанор дацара“.</verse>
				<verse number="31">Цу дешнашца аша шайна дуьхьал тоьшалла до, шаьш пайхамарш байинчу тӀаьхьенах хилар чӀагӀ а деш.</verse>
				<verse number="32">Шайн дайша лелийнарг кхин а тӀехдаккха!</verse>
				<verse number="33">Лаьхьанийн тӀаьхье! Жоьжахатих муха довла дохку шу?</verse>
				<verse number="34">Цундела Аса шу долчу бохкуьйту пайхамарш, хьекъалчаш, Ӏелам нах. Царах цхьаберш аша я бойу, я жӀарах дӀатуху, вуьш, шун гуламан цӀенош чохь етташ, цхьана гӀалара вукху гӀала лоьхкуш лелабо.</verse>
				<verse number="35">Шуна тӀехь ду шуна Делан лаамехь болчеран цӀий, аша Ӏанийна долу, бехк боцучу Хьабулна тӀера дӀадолийна Барак-ЯхӀун кӀант волчу Закри-ЯхӀуна тӀекхаччалц, Делан цӀенний, сагӀа доккхуш болчу кхерчаний юккъехь аша вийна волчу.</verse>
				<verse number="36">Аса баккъалла а боху шуьга, цу дерригенах а жоп лур ду хӀокху тӀаьхьено».</verse>
				<verse number="37">«Ва Ярушалайм! Пайхамарш бойу ахь, хьайна тӀебахкийтиначарна тӀулгаш детта ахь. Мел чӀогӀа лиънера-кх Суна хьан бераш гулдан, олхазаро шен кӀорнеш тӀома кӀел гул ма-ярра, амма хьуна ца лии иза.</verse>
				<verse number="38">ХӀинца билггала шун ЦӀа Дала дӀатесна ду.</verse>
				<verse number="39">Ас боху шуьга, шуна Со гур вац, цхьа хан а еана, аш аллалц: „Декъала ву Везачу Элан цӀарах вогӀуш верг!“»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="24">
				<verse number="1">Делан цӀа долчуьра схьавогӀуш вара Ӏийса. Цу цӀийнан кертахь йолу гӀишлош Цунна гайтархьама, Ӏийсана тӀебаьхкира Цуьнан мурдаш.</verse>
				<verse number="2">Цо цаьрга элира: «ХӀара шадерг а гой шуна? Аса баккъалла а боху шуьга: И дерриге а хӀаллакдийр ду, тӀулга тӀехь тӀулг а ца буьтуш».</verse>
				<verse number="3">Ӏийса Зайт-диттийн лам тӀехь хиъна Ӏачу хенахь, Цуьнан мурдаш Цунна тӀебаьхкира. Уьш Ӏийсаца шаьш бисча, цара хаьттира: «Алахьара Ахьа, иза маца хир ду? Хьо схьаваран а, дуьненан тӀаьхьарчу заманан а билгало муха хир ю?»</verse>
				<verse number="4">Цаьрга Ӏийсас элира: «Ларлолаш, шаьш ле ма дайталаш.</verse>
				<verse number="5">Аса иза боху, хӀунда аьлча дуккха а богӀур бу Сан цӀарах. Цара эр ду: „Со ву Дала леррина Къобалвинарг!“ Дукхахберш Ӏехор бу.</verse>
				<verse number="6">ТӀемех лаьцна хезар ду шуна, вовшахлетарех лаьцна хаамаш а хир бу. Шу дохий ма хьовза, хӀунда аьлча иза хила дезаш дерг ду. Амма иза цкъачунна чаккхе яц.</verse>
				<verse number="7">Халкъана дуьхьал халкъ гӀоттур ду, мохк махкана дуьхьал бер бу. МаьӀ-маьӀӀехь мацалла а хӀуттур ю, мохк а бегор бу.</verse>
				<verse number="8">Амма иза, берах хьийзош йолчу зудчун санна, халчу баланийн юьхь бен хир яц.</verse>
				<verse number="9">Шу Ӏазапанний, Ӏожаллиний кара дӀалур ду. Сан цӀе бахьана долуш массо а къаьмнийн шуьга цабезам кхоллалур бу.</verse>
				<verse number="10">Сох тешна болу дукхахберш дохко а бевр бу, ямартлонаш а еш, вовшашца гамо лелор ю.</verse>
				<verse number="11">Дукха нах лебеш, дуккха а харцпайхамарш юкъабевр бу.</verse>
				<verse number="12">Зен-зулам совдалар бахьана долуш, дукхахболчеран безам лахлур бу.</verse>
				<verse number="13">Амма и дерриг а чекхдаллалц лайнарг кӀелхьарвоккхур ву.</verse>
				<verse number="14">И Делан Олаллех лаьцна болу хаза кхаъ дерриге а дуьнен чохь дӀакхайкхор бу, массо а адамашна иза тоьшалла хилийтархьама. Цул тӀаьхьа тӀекхочур ю дуьненан чаккхе».</verse>
				<verse number="15">«Иштта, Даниал-пайхамарехула аьллачух „вас еш йолу къемате хӀума“ езачу метте дӀахӀоьттина шайна гича, — (хӀара доьшург нийса кхетийла!),</verse>
				<verse number="16">тӀаккха цу хенахь ЯхӀуд-махкахь нисвелларг лаьмнашка дӀаводийла.</verse>
				<verse number="17">Ткъа тхов тӀехь нисвелларг, цу тӀера охьавоьссича, цӀа чу ма воьдийла, шен цхьа хӀума схьаоьцур яра аьлла.</verse>
				<verse number="18">Аренгахь нисвелларг, шен тӀеюху хӀума схьаоьцур яра ша аьлла, цӀа ма вогӀийла.</verse>
				<verse number="19">Боккхачу баланехь хир бу цу дийнахь доьзалхочух болу а, бераш дакхош болу а зударий.</verse>
				<verse number="20">Деле дехалаш, шаьш девдда дӀадаха дезаш йолу хан Ӏай я шоьтан садоӀучу дийнахь ма нисъялийта алий.</verse>
				<verse number="21">ХӀунда аьлча дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна, хӀара хан тӀекхаччалц, цхьанна а гина а боцу, я кхин цул тӀаьхьа гун а боцу боккха баланаш гур бу нахана.</verse>
				<verse number="22">Дала и денош дац ца динехьара, цхьа а кӀелхьарвалалур вацара. Амма Ша хаьржинчеран дуьхьа и денош Цо дацдина хир ду.</verse>
				<verse number="23">Цхьаммо шайга цу хенахь „Хьажал! Кхузахь ву шуна Дала леррина Къобалвинарг!“ я „Цигахь ву шуна!“ алахь, цунах ма тешалаш,</verse>
				<verse number="24">хӀунда аьлча цу заманчохь харцпайхамарш а, шаьш Дала леррина Къобалдинарш ду бохурш а гучубевр бу. Цара тамашийна гӀуллакхаш а, тамашийна билгалонаш а гойтур ю, шайн йиш хилахь, Дала хаьржинарш Ӏехорхьама.</verse>
				<verse number="25">ЛадогӀалаш! Аса иза хьалххехь шуьга дӀахьедо.</verse>
				<verse number="26">Нагахь шайга алахь: „Хьовсал! Иза яьссачу аренгахь ву!“ цига ма гӀолаш. Шайга: „Хьовсал, Иза къайлахчу цӀа чохь ву!“ алахь, царах ма тешалаш,</verse>
				<verse number="27">хӀунда аьлча, малхбалехьа летта, малхбузехула тӀехъиккхина долу стелахаьштиг санна, хир ду Адамийн КӀентан схьавар.</verse>
				<verse number="28">ХӀунда аьлча дакъа долчохь схьагуллур ю хьаргӀанаш а».</verse>
				<verse number="29">«Цу баланийн денош чекх ма девллинехь, малх кхулур бу, батто а серло лур яц, стигалара седарчий а охьаоьгур ду, стигалийн нуьцкъалалла а леста йолалур ю.</verse>
				<verse number="30">Цу сохьта стигалахь Адамийн КӀентан тамашийна билгало гучуер ю. Дуьнен чуьра массо а къаьмнаш гӀайгӀане хир ду. Стигаларчу мархашна тӀехула схьавогӀуш Адамийн КӀант гур ву царна, Шен ницкъаца а, доккхачу сийлаллица а гучуваьлла волу.</verse>
				<verse number="31">Турбин озаца Ша хаьржинарш дуьненан еъа а маьӀӀера схьагулбан дохуьйтур ду Цо Шен маликаш, стигалийн цхьана йистера вукху йисте кхаччалц».</verse>
				<verse number="32">«Масала, эца комарийн диттах хьехам: цуьнан гаьннаш кӀад а делла, гӀа тосучу хенахь, хаьа шуна аьхке герга кхаьчнийла.</verse>
				<verse number="33">Иштта, и хӀуманаш кхочушхуьлуш шайна гича, хаа ду шуна Адамийн КӀентан зама герга юйла а, Иза неӀарехь вуйла а.</verse>
				<verse number="34">Бакъдерг боху шуьга: хӀара адамийн тӀаьхье чекхъялале, хир ду и дерриге а.</verse>
				<verse number="35">Стигаллий, латтий къайладаьлча а, Сан дешнаш довр дац».</verse>
				<verse number="36">«Ткъа и де а, и сахьт а цхьанна а ца хаьа, я стигалара маликашна а, я КӀантана а, Да воцучунна.</verse>
				<verse number="37">Нохьа-пайхамаран заманахь санна хир ду Адамийн КӀант схьавогӀуш.</verse>
				<verse number="38">ХӀунда аьлча хьалха, хи тӀедалале, адамаш юуш, молуш, зударий балош, маре оьхуш хилла. И дерриге а лаьттира Нохьа-пайхамар хинкеманна чу валлалц.</verse>
				<verse number="39">ХӀумма а дагахь доцуш хилла долу адамаш, хи тӀе а даьлла, хӀаллакьхилира. Иштта хир ду Адамийн КӀант схьавогӀучу хенахь а.</verse>
				<verse number="40">Цу заманчохь шиъ аренгахь болх беш хир ву. Царах цхьаъ схьаоьцур ву, ткъа важа вуьтур ву.</verse>
				<verse number="41">Кохьар хьовзош, болх беш йоллучу шина зудчух цхьаъ схьаоьцур ю, важа юьтур ю.</verse>
				<verse number="42">Цундела сема хилалаш, хӀунда аьлча шуна ца хаьа, маца вогӀур ву шун Веза Эла.</verse>
				<verse number="43">Кхин цхьа хӀума а дагахь латтаде: хӀусамдена къу буьйсанна маца вогӀур ву хаьахьара, цо сема хиларца иза ларвийр вара, цуьнга шена къола ца дайта.</verse>
				<verse number="44">Цундела шу а хила деза кийча, хӀунда аьлча Адамийн КӀант шу Цуьнга ца хьоьжучу хенахь вогӀур ву».</verse>
				<verse number="45">«Муха хуьлу тешаме а, кхетаме а волу ялхо? Иза ву вукху ялхошна тӀехӀоттийнарг, царна шен-шен хенахь яа хӀума дӀа а луш.</verse>
				<verse number="46">Декъал хир ву, шен хьолада цӀа веача, цунна иштта лелаш гун волу ялхо.</verse>
				<verse number="47">Бакъдерг боху шуьга: хьоладас иза шен берриг а бахамна тӀехь куьйгалхо хӀоттор ву.</verse>
				<verse number="48">Амма, масала, и ялхо, шен даг чу оьгӀазло а йиллина, ша-шега: „Сан эла кестта цӀа вогӀур вац“ бохуш,</verse>
				<verse number="49">вукху ялхошна коча а оьхуш, ша санна болчу маларш муьйлуш болчаьрца тӀех сов дууш, маларш муьйлуш Ӏаш хир ву.</verse>
				<verse number="50">Иза цӀа варе ца хьоьжучу дийнахь а, цунна дагахь доцучу хенахь а, цу ялхочун олахо цӀа кхочур ву.</verse>
				<verse number="51">ХӀусамдас и ялхо, тур тоьхна, шина декъе воькъур ву, шалхо лелочу нехан дакъа цунна дӀа а кхочуьйтуш. Ткъа цигахь белхар а, цергаш хьекхор а хир ду».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="25">
				<verse number="1">«Цу хенахь Стигалийн Олалла иштта хир ду. Цхьана дийнахь Итт зудабер, цхьацца стогар схьа а эцна, зуда ялош волчу кӀантана дуьхьалъяхана.</verse>
				<verse number="2">Царах пхиъ сонта хилла, ткъа важа пхиъ хьекъал долуш хилла.</verse>
				<verse number="3">Сонта пхиъ, шаьш стогарш схьаоьцуш, цу чу дуттуш долу даьтта схьаэца йицъелла.</verse>
				<verse number="4">Хьекъал долуш долчу хӀора зудаберо, шаьш стогарш схьаоьцуш, шайн-шайн кхаби чохь даьтта а схьаэцна.</verse>
				<verse number="5">Зуда ялош верг, схьа ца вогӀуш, хьевелла. ТӀегӀоьртинчу набарна зудабераш дӀатийна.</verse>
				<verse number="6">Буьйса юккъе яьлча, цхьа мохь хезна царна: „ХӀей, зуда ялош верг вогӀуш ву шуна! Дуьйло, цунна дуьхьалгӀо!“</verse>
				<verse number="7">Цу сохьта зудабераша, сама а девлла, шайн стогарш хьалалатийна.</verse>
				<verse number="8">Пхеа сонтачу зудаберо вукхаьрга дехар деш хилла: „Лойша тхуна жимма даьтта, тхан стогарш дӀабовш бу“, — бохуш.</verse>
				<verse number="9">Цаьрга хьекъал долчу зудабераша элира: „Шуна иза дала тхан йиш яц, и даьтта я шуна а, я тхуна а тоам боцуш ца дисийта. Йохкархой болчу а гӀой, эца аша“.</verse>
				<verse number="10">Уьш даьтта эца бахана леллашехь, веана зуда ялош верг схьакхаьчна. Тойне даха кийча долу зудабераш цуьнца дахана, ткъа неӀ дӀакъовлаелла.</verse>
				<verse number="11">ТӀаьххьара а даьхкина зудабераш схьакхаьчна. Цара аьлла: „Эла! Ва эла! НеӀ дӀаеллахьа тхуна!“</verse>
				<verse number="12">Амма Цо цаьрга аьлла: „Аса баккъалла а боху шуьга: суна шу ца девза!“</verse>
				<verse number="13">Цундела сема хила, хӀунда аьлча Адамийн КӀант вогӀур волу де а, сахьт а шуна хууш дац».</verse>
				<verse number="14">«Стигалийн Олалла иштта хир ду. Цхьана стага, ша генарчу новкъа валале, шен ялхой схьа а гулбина, уьш шен бахам ларбан хӀиттийна.</verse>
				<verse number="15">Цо шен ялхошна, хӀораннан а хьуьнаре хьаьжжина, ахча делла, царна луъучу агӀор иза лело. Цхьанна цо пхи гали деши делла, вукхунна ши гали деши делла, кхоалгӀачунна цхьа гали деши делла. ТӀаккха иза новкъа ваьлла.</verse>
				<verse number="16">Шена пхи гали деши кхаьчначо, цхьана мехалчу гӀуллакха юккъе а вахана, царах кхин а пхи гали деши даьккхина.</verse>
				<verse number="17">Ши гали деши кхаьчначо кхин а ши гали деши тӀедаьккхина.</verse>
				<verse number="18">Ткъа цхьа гали деши шегахь долчо, ваха а вахана, ор а даьккхина, цу чохь и деши дӀалачкъийна.</verse>
				<verse number="19">Дикка хан яьлча, веана эла схьакхаьчча, цо цаьрга хаьттина, хӀун дира аша шен ахчанах аьлла.</verse>
				<verse number="20">Пхи гали деши шегахь дитинарг, кхин а пхи гали тӀе а диллина, и деши схьадахьаш веана. Цо аьлла: „Эла, ахьа соьгахь пхи гали деши дитира. Аса кхин а пхи гали тӀедаьккхина“.</verse>
				<verse number="21">Эло цуьнга элира: „Хьо дика, тешаме ялхо ву. Дика гӀуллакх дина ахьа аса хьайгахь дитинчу кӀеззиг долчу ахчанах. ХӀинца аса хьуна кхин а доккха гӀуллакх тӀедожор ду. Чувола, соьца цхьаьна самукъадаккха“.</verse>
				<verse number="22">Ши гали деши шегахь дитина верг а веана шен эла волчу. Цо аьлла: „Эла, ахьа соьгахь ши гали деши дитира, аса кхин а ши гали даьккхина“.</verse>
				<verse number="23">Хьолан дас цуьнга аьлла: „Хьо дика, тешаме ялхо ву. Дика гӀуллакх дина ахьа аса хьайгахь дитинчу кӀеззиг долчу ахчанах. ХӀинца аса хьуна кхин а доккха гӀуллакх тӀедожор ду. Чувола, соьца цхьаьна самукъадаккха“.</verse>
				<verse number="24">ТӀе а веана, хӀокхо шегахь цхьа гали деши дитинчу ялхочо аьлла: „Эла, суна хууш ду хьо луьра стаг вуйла. Ахьа айхьа дӀа ца дийначуьра ялта чуоьцу, айхьа охьа ца Ӏанийначуьра схьагулдо.</verse>
				<verse number="25">Цундела аса, хьох кхоьруш, ваха а вахана, хьан деши лаьтта буха доьллира. Хьажал, хьан деши кхузахь ду хьуна“.</verse>
				<verse number="26">Цуьнга хьолан дас аьлла: „Хьо вон а, болх бан кархдер доцуш а ялхо ву. Хьуна хууш ду, аса дӀа ца дийначохь ялта хьокхий, охьа ца Ӏанийначохь схьагулдой.</verse>
				<verse number="27">Цундела хьо сан ахча мах лелош болчаьрга дӀадала дезаш ма вара. ТӀаккха, со юхавеача, аса сайн ахча тӀеяьлла са а йолуш схьаоьцур ма дара.</verse>
				<verse number="28">Цуьнгара гали деши схьа а эций, итт гали деши долчуьнга дӀало.</verse>
				<verse number="29">ХӀунда аьлча хӀоранна а шен долчунна тӀе кхин а сов лур ду, ткъа цуьнан дерг кхин а стамлур ду. Амма хӀумма а доцучуьнгара цуьнан данне а доцург а дӀадоккху.</verse>
				<verse number="30">Чукхосса и шех пайда схьабер боцуш волу ялхо Ӏаьржачу бодане. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а ду“».</verse>
				<verse number="31">«Ткъа Адамийн КӀант Шен сийлаллица веача, Шеца массо а маликаш а долуш, Иза Шен стигалийн сийлаллехь охьахуур ву Шен паччахьан гӀанта тӀе.</verse>
				<verse number="32">ТӀаккха массо а халкъаш Цунна хьалха схьагуллур ду. Цо уьш, жаӀуьно уьстагӀий гезарех санна, дӀасакъастор ду.</verse>
				<verse number="33">УьстагӀий Цо Шена аьтту агӀор дохур ду, гезарий — аьрру агӀор.</verse>
				<verse number="34">Паччахьо Шена аьтту агӀор болчаьрга эр ду: „Сан Дас декъалдинарш, шу тӀедуьйла! Дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна схьа шайна кечдина, Сан Олаллехь долу дахар дӀаэца. Иза шуна деш долу совгӀат ду,</verse>
				<verse number="35">хӀунда аьлча Со меца волчу хенахь аша Суна яа хӀума елира, Со хьогах волчу хенахь аша Суна мала хи делира. Со араваьлла лелачу хенахь аша Со тӀеийцира.</verse>
				<verse number="36">Со тӀехь беркъа волчу хенахь аша Суна тӀеюха хӀума елира. Со цомгуш волчу хенахь аша Сан дола дира. Со набахтехь волчу хенахь шу Со волчу тӀаьхьадаьхкира“.</verse>
				<verse number="37">ТӀаккха Делан лаамехь болчара Цуьнга эр ду: „Веза Эла! Хьо меца а волуш, оха маца елла хьуна яа хӀума? Хьо хьогах а волуш, оха маца делла хьуна мала хи?</verse>
				<verse number="38">Хьо араваьлла лелачу хенахь оха маца эцна хьо тӀе? Хьо беркъа ваьлла лелаш, оха маца йоьхна хьуна тӀе хӀума?</verse>
				<verse number="39">Хьо тхуна маца гина цомгуш я набахти чохь? Тхо маца ихна тӀаьхьа?“</verse>
				<verse number="40">Паччахьо цаьрга эр ду: „Аса баккъалла а боху шуьга: гӀо оьшучохь хӀокху Сан вежаршна, царах уггар ледара волчунна а, аша мел динарг Сан дуьхьа дина ду шуна“.</verse>
				<verse number="41">ТӀаккха Шена аьрру агӀор болчаьрга эр ду: „Гена довла Суна, Делан неӀалт хилларш! Иблисаний, цуьнан харцмаликашний кечйинчу жоьжахатин цӀера юккъехь ю шун меттиг.</verse>
				<verse number="42">ХӀунда аьлча Со меца волчу хенахь аша яа хӀума ца елира, Со хьогах волчу хенахь мала хи ца делира.</verse>
				<verse number="43">Со араваьлла лелачу хенахь аша Со тӀе ца ийцира. Со цомгуш волчу хенахь, я набахти чохь воллучу хенахь аша Сан терго ца йира“.</verse>
				<verse number="44">ТӀаккха цара Цуьнга эр ду: „Веза Эла! Тхуна хьо маца гина меца а, хьогах волуш а, я араваьлла лелаш? ТӀехь беркъа волуш а, могуш воцуш а? Тхуна маца гина хьо набахти чохь? Тхо маца Ӏийна Хьан гӀуллакх ца деш?“</verse>
				<verse number="45">ТӀаккха Паччахьо цаьрга эр ду: „Аса баккъалла а боху шуьга: аша гӀо оьшучохь Сан цхьанна а вешина гӀо ца дина, царах уггар ледара волчунна а, иза Суна ца дина аша“.</verse>
				<verse number="46">ТӀаккха уьш цкъа а хедар доцучу таӀзарехь хир бу, ткъа Делан лаамехь берш хедар доцучу дахаре кхочур бу».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="26">
				<verse number="1">Ша къамел дина ваьллачул тӀаьхьа Ӏийсас Шен мурдашка элира:</verse>
				<verse number="2">«Шуна хууш ду ши де даьллачул тӀаьхьа „Пасахь“ олу деза де тӀекхочуш дуйла а, Адамийн КӀант жӀарах дӀатоха дӀалур вуйла а».</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха динан коьрта дай а, къаной а Кайба цӀе йолчу динан коьртачу ден кертахь схьагулбелира.</verse>
				<verse number="4">Цара барт бира Ӏийса хӀилланца схьалаца а, вен а.</verse>
				<verse number="5">Амма цара элира: «Дезачу дийнахь дан мегар дац иза, адам карзах ца далийта».</verse>
				<verse number="6">Ӏийса Бет-ХӀинехь чкъураца ца йоьрзу цамгар хилла йолчу ШамӀин хӀусамехь волчу хенахь,</verse>
				<verse number="7">Цунна тӀееара, мехала кхаба карахь а йолуш, цхьа зуда. Иза шен кхаби чуьра хаза хьожа йогӀу, механа чӀогӀа деза долу даьтта хиъна Ӏаш волчу Ӏийсана коьрта тӀе дитта йолаелира.</verse>
				<verse number="8">И сурт шайна гича, Ӏийсан мурдаш резабоцуш хьаьвзира. Цара элира: «Муха лелор ду цу тайпана кхоам боцуш долу хӀума?</verse>
				<verse number="9">Безачу мехах и даьтта дӀа а доьхкина, цунах схьаэцна долу ахча мискачу нахана дӀадала мегар ма дара».</verse>
				<verse number="10">Ӏийсас, Шена и къамел хезча, элира: «Эхь стенна хоьтуьйту аша цу зудчунна? Цо Суна динарг дика гӀуллакх ду.</verse>
				<verse number="11">Миска нах шуна юххехь гуттар а хир бу, ткъа Со даим хир вац шуьца.</verse>
				<verse number="12">Сан дегӀа тӀе и мехала даьтта а доьттина, иза Со дӀаволла хьалххе кечам беш ю.</verse>
				<verse number="13">Аса баккъалла а боху шуьга: дерриг а дуьнен тӀехь, и хаза кхаъ кхайкхочу массо а меттехь, цу зудчо динарг, цуьнан сий айдеш, хьахор ду».</verse>
				<verse number="14">Ӏийсан шийтта мурдах цхьаъ волчу ЯхӀуд-Искархочо, динан коьрта дай болчу а вахана,</verse>
				<verse number="15">элира: «Суна хӀун лур ю аша, аса Иза шайна дӀалахь?» Цара ткъе итт дети ахча лур ду шаьш элира.</verse>
				<verse number="16">ХӀеттахь дуьйна ЯхӀуд-Искархо Ӏийса цаьрга дӀавала аьтто лаха волавелира.</verse>
				<verse number="17">Совсазчу баьпкан дезачу денойн хьалхарчу дийнахь Ӏийса волчу баьхкира Цуьнан мурдаш. Цара элира: «Пасахьан пхьор мичахь дан лаьа Хьуна? Оха, дахана, кечйийр ю чоь».</verse>
				<verse number="18">Цо элира: «ГӀалахь Ӏаш волу а, ас хьоьга дуьйцуш волу а стаг волчу а гӀой, цуьнга ала: „Устазо боху: ‘Сан хан тӀекхочуш ю. Аса Сайн мурдашца Пасахьан деза де хьан хӀусамехь даздийр ду’“».</verse>
				<verse number="19">Цара, дӀа а бахана, Цо тӀедиллинарг кхочушдира, тӀаккха Пасахьан пхьор кечдира.</verse>
				<verse number="20">Суьйре тӀекхаьчча, Ӏийса Шен шийтта мурдаца хӀума яа охьахиира.</verse>
				<verse number="21">ТӀаккха Ӏийсас элира: «Аса баккъалла а боху шуьга: шух цхьаммо Суна ямартло йийр ю».</verse>
				<verse number="22">ЧӀогӀа халахетарца уьш Цуьнга баха буьйлабелира: «Эла, со-м хир ма вац иза!»</verse>
				<verse number="23">Церан хаттарна жоп луш, Цо элира: «Соьца хӀокху кеда чу куьг кховдийначо Суна тешнабехк бийр бу.</verse>
				<verse number="24">Ткъа Адамийн КӀант, Делан Йозанашна тӀехь Цунах яздина ма-хиллара, кху дуьнен чуьра дӀавоьдуш ву. Амма декъаза ву Цунна ямарта верг! Цунна дуьнен чу ца валар гӀоле яра!»</verse>
				<verse number="25">Тешнабехк бан кечвелла волчу ЯхӀуд-Искархочо элира: «Хьуна иза со ву-м ма ца моьтту, Устаз!» Ӏийсас цунна жоп делира: «Иза ахьа боху!»</verse>
				<verse number="26">Цара хӀума юучу хенахь Ӏийсас, бепиг схьа а эцна, доӀанца декъал а дина, декъа а декъна, Шен мурдашка дӀа а кховдош, элира: «ДӀаэца, даа, иза Сан дегӀ ду шуна!»</verse>
				<verse number="27">Цул тӀаьхьа кад, схьа а эцна, Далла хастам а бина, цаьрга дӀакховдийра: «ДӀамала массара а,</verse>
				<verse number="28">иза Сан цӀий ду шуна, Делаца бина барт чӀагӀбеш долу, дуккха а нах къинойх цӀанбархьама Ӏенар долу!</verse>
				<verse number="29">Амма Аса боху шуьга: кемсех даьккхина долу кхин цхьа а малар Аса мер дац, Сан Дас дӀахӀоттийначу Олаллехь керла малар шуьца молу де тӀекхаччалц», — аьлла.</verse>
				<verse number="30">ТӀаккха Далла хастаман назманаш а аьлла, Зайт-диттийн лам тӀе бахара уьш.</verse>
				<verse number="31">ТӀаккха Ӏийсас элира цаьрга: «Тховса аша массара а Со дӀатосур ву, яздина ма-хиллара: „Ӏуьнна чов йийр ю Аса, тӀаккха жа юкъара уьстагӀий шаьш дӀасадовдур ду“.</verse>
				<verse number="32">Амма веллачуьра денвеллачул тӀаьхьа Галилай-махка шул хьалха кхочур ву Со».</verse>
				<verse number="33">ТӀаккха Кипас Цуьнга элира: «Массара а дӀатесча а, аса-м дӀатосур вац Хьо».</verse>
				<verse number="34">Ӏийсас цуьнга элира: «Аса баккъалла а боху хьоьга: тховса нӀаьна кхайкхале, Со кхузза дӀатосур ву ахь».</verse>
				<verse number="35">ТӀаккха Кипас Цуьнга элира: «Сан Хьоьца вала дезахь а, со цкъа а Хьох дӀакъаьстар вац». Изза вукхара а элира.</verse>
				<verse number="36">Ӏийса Шен мурдашца Гатшамани цӀе йолчу метте веара. Цо цаьрга элира: «Кхузахь ховший Ӏе, Аса, хьуьлла а вахана, доӀа дечу юкъана».</verse>
				<verse number="37">Цо Шеца Кипа а, Зевадин ши кӀант а вигира. ЧӀогӀа сингаттаме а, йиш йоьхна а вара Иза.</verse>
				<verse number="38">Цо элира цаьрга: «Сан са Ӏожаллин гӀайгӀанехь ду. Аша кхузахь а совций, Соьца цхьаьна сема хан яккха».</verse>
				<verse number="39">Царна жимма дехьа а ваьлла, бертал а воьжна, доӀа дира Цо: «Сан Дада! Йиш елахь, и баланийн къаьхьа кад Суна уллохула тӀехбаккхахьара Ахь! Делахь а, иза Сан лаамца доцуш, Хьан лаамца хуьлийла».</verse>
				<verse number="40">Шен мурдаш болчу тӀевахча, уьш наб кхетта гира Цунна. Кипига Цо элира: «ХӀун до аша? Цхьана сахьтехь мукъана а Соьца сема хила ца мегара шу?</verse>
				<verse number="41">Сема а хилалаш, доӀа деш а хилалаш, шаьш къилахь долчу лаамашна кӀел ца дисийта. Са сема ду, ткъа дилха эгӀаза ду».</verse>
				<verse number="42">Юха а, дӀанехьа а ваьлла, Иза доӀа дан волавелира: «Сан Дада! И къаьхьа кад, Аса ца молуш, Суна уллохула тӀехбала йиш яцахь, Аса иза мер бу. Хьан лаам кхочушхуьлийла!»</verse>
				<verse number="43">Юхавеача, кхин цкъа бийшина карийра Ӏийсана уьш, хӀунда аьлча церан бӀаьрганегӀарш дазделлера.</verse>
				<verse number="44">КхозлагӀа а, дӀанехьа а ваьлла, доӀа дан хӀоьттира Иза, изза дешнаш а олуш.</verse>
				<verse number="45">Шен мурдаш болчу тӀе а веана, Ӏийсас цаьрга элира: «Шу хӀинца а, наб еш, садоӀуш ду? ЛадогӀа Соьга: Адамийн КӀант къинош летийначеран каравоьду хан тӀекхаьчна.</verse>
				<verse number="46">Дуьйло, хьалагӀовтта! ХӀара ву Суна ямартло ен верг».</verse>
				<verse number="47">Ӏийсас иза олучу хенахь веана схьакхечира шийттаннах цхьаъ волу ЯхӀуд. Цунна тӀаьхьахӀоьттина адамийн тоба яра, карахь таррашший, хьокхий а долуш. Уьш динан коьртачу дайший, къаноший схьахьажийна хилла.</verse>
				<verse number="48">Ӏийсана ямарта волчо билгало йинера цаьрга: «Аса барт баьккхинарг Иза хир ву шуна, — аьлла, — Иза схьалаца».</verse>
				<verse number="49">Цу сохьта Ӏийсана тӀе а вахана, цо элира: «Маршалла ду Хьоьга, Устаз!» Цул тӀаьхьа Цунна барт баьккхира.</verse>
				<verse number="50">Ӏийсас цуьнга элира: «Къонах, айхьа кхуза деана долу гӀуллакх кхочушде». Цара Ӏийса, тӀекхетта, схьалецира.</verse>
				<verse number="51">Кхуьнца хилла волчу цхьаммо, тур хьала а даьккхина, динан коьртачу ден ялхочун лерг, тоьхна, тӀерадаьккхира.</verse>
				<verse number="52">Ӏийсас цуьнга элира: «Батта чу дилла хьайн тур, хӀунда аьлча шайн тарраш схьадаьхнарш берриш таррашца бойур бу.</verse>
				<verse number="53">Сайн Дега орца ца даккхалуш ву-м ца моьтту хьуна Со? Аса Шега хаам бинчу сахьтехь Цо маликийн шийтта сов эскар Суна гӀоьнна доуьйтур дац моьтту хьуна?</verse>
				<verse number="54">Делан Йозанаш тӀехь и шадерг иштта хила деза бохург кхочуш муха хир ду ткъа?»</verse>
				<verse number="55">Цу хенахь Ӏийсас гулбеллачаьрга элира: «Талорхо лаца доьлхуш санна, таррашций, хьокханашций ара ма девлла шу Со лаца. ХӀора дийнахь Делан цӀийнан кертахь Ӏаш ма вара шуна Со, хьехамаш беш, амма цу хенахь аша Со схьа ца лецира.</verse>
				<verse number="56">Ткъа и шадерг хилла пайхамарша яздинарш кхочушхилийтархьама». ТӀаккха Цуьнан берриг а мурдаш, Иза ша волччохь а витина, бевдда дӀабахара.</verse>
				<verse number="57">Ӏийса схьалаьцначара Иза динан коьрта да Кайба волчу дӀавигира. Кхузахь гулбелла бара Ӏелам нах а, къаной а.</verse>
				<verse number="58">Ӏийсана гено тӀаьхьа а хӀоьттина, динан коьртачу ден керт йолчу схьавеара Кипа. Чу а ваьлла, гӀаролхошца цхьаьна охьахиира, кхин дӀа хӀун хир ду хьожуш.</verse>
				<verse number="59">Ткъа Ӏийсана веран кхел ярхьама, динан коьрта дай а, коьртачу кхеташонехь мел верг а Иза бехке ван бахьана лоьхуш бара.</verse>
				<verse number="60">Амма харц тоьшалла деш берш дуккха белахь а, Иза вен бахьана ца карадора царна. Эххар а кхин а ши стаг тӀевеара.</verse>
				<verse number="61">Цара элира: «Тхо теш а долуш Цо элира: „Делан цӀа доха а дина, Соьга иза кхаа дийнахь дӀахӀотталур дара“».</verse>
				<verse number="62">ТӀаккха динан коьртачу дас, хьала а гӀаьттина, Цуьнга хаьттира: «Ахь цхьа а жоп ма ца ло? Цара Хьуна дуьхьал тоьшаллаш хӀунда до?»</verse>
				<verse number="63">Амма Ӏийса вист ца хилира. Динан коьртачу дас Цуьнга элира: «Дийна волчу Делан цӀарах тӀедуьллу Хьуна: алал тхоьга, Хьо вуй Делан КӀант волу Дала леррина Къобалвинарг?»</verse>
				<verse number="64">Ӏийсас цуьнга элира: «Ахьа айхьа эли иза. Делахь а, Аса эр ду шуьга массаьрга: хӀинца дуьйна схьа Адамийн КӀант шуна гур ву Нуьцкъалчу Далла аьтту агӀор хиъна Ӏаш а, стигаларчу мархашкахула охьавуссуш а».</verse>
				<verse number="65">ТӀаккха динан коьртачу дас, шена тӀера бедарш а этӀош, мохь хьаькхира: «Иза Далла лоьра! Кхин хӀун тоьшалла оьшу? Шуна хезирий Иза Далла луьйш?</verse>
				<verse number="66">ХӀун хета шуна?» Цунна жоп луш, гулбеллачара элира: «Иза бехке ву! Иза вала веза!»</verse>
				<verse number="67">Цхьаболчара юьхь тӀе туйнаш детташ, вукхара буйнаш детташ, бетах тӀара детташ,</verse>
				<verse number="68">мохь хьоькхура: «Хьо пайхамар велахь, алал, „Дала леррина Къобалвинарг“, муьлхачо туьйхира Хьуна?»</verse>
				<verse number="69">Кипа цу хенахь кертахь Ӏаш вара. Цунна тӀе а еана, цхьана зуда-ялхочо элира: «Хьо а ма вара Галилайра волчу Ӏийсаца».</verse>
				<verse number="70">Амма цо иза даре ца дира: «Суна ца хаьа, ахьа хӀун боху».</verse>
				<verse number="71">Иза кевнах араволучу хенахь вукху зудчо элира: «И стаг Назартарчу Ӏийсаца вара».</verse>
				<verse number="72">Кипас юха а, дуй бууш, элира: «Суна и стаг ца вевза».</verse>
				<verse number="73">Дукха хан ялале кхунна тӀебаьхкира кхин а нах. Цара Кипига элира: «Хьо баккъалла а ву-кх царах, хӀунда аьлча хьан къамело цунах тоьшалла до».</verse>
				<verse number="74">Кипа юха а, дуйнаш а дууш, чӀагӀонаш ян волавелира: «Суна и стаг ца вевза». Эццахь нӀаьна кхайкхира.</verse>
				<verse number="75">ТӀаккха дагадеара Кипина Ӏийсас аьлларг: «НӀаьна кхайкхале, ахьа кхузза Со дӀатосур ву». Иза, кертара ара а ваьлла, доггах вилхира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="27">
				<verse number="1">ШолгӀачу Ӏуьйранна массо а динан коьртачу дайша а, къаноша а гуламехь, цхьаьна а кхетта, Ӏийса вейта барт бира.</verse>
				<verse number="2">Иза, дӀа а вихкина, мехкан куьйгалхо волу Пулат волчу дӀавигира цара.</verse>
				<verse number="3">Ӏийсана ямартло йина волчу ЯхӀуд-Искархочо, Цунна кхел йинийла хиъча, дохко а ваьлла, шена делла долу ткъе итт дато ахча динан коьртачу дайшний, къаношний юхаделира.</verse>
				<verse number="4">Цо элира: «Къа латийна аса сайх, бехк боцучунна ямартло а йина». Амма цара цуьнга элира: «Тхуна хӀун ду иза? Иза хьайна хуур ду хьуна».</verse>
				<verse number="5">Ша цаьргара схьаэцна долу дато ахча Делан цӀийнан керта дӀа а кхоьссина, ЯхӀуд-Искархо, вахана, ирхъоллавелира.</verse>
				<verse number="6">Динан коьртачу дайша, и ахча схьа а гулдина, элира: «ХӀара Делан цӀийнан хазни чуьра ахчанах дӀатоха мегар дац, цӀий Ӏанадайтина ахча долу дела».</verse>
				<verse number="7">Вовшах дага а бевлла, цара цу ахчанах кхийра пхьегӀаш еш волчун латта ийцира, цу тӀехь хийрачу къаьмнех болу белла нах дӀабохка.</verse>
				<verse number="8">Цундела тахана а и латта «ЦӀийн латта» олуш ду.</verse>
				<verse number="9">Иштта кхочушхилира Ярми-ЯхӀус аьлла долу дешнаш: «Схьаийцира цара мах хӀоттийна волчунна тӀера ткъе итт дато ахча. Иштта бара исраилхоша цуьнан хадийна болу мах.</verse>
				<verse number="10">Иза кхийра пхьегӀаш еш волчун лаьттах дӀаделира цара, соьга Везачу Эло ма-аллара».</verse>
				<verse number="11">Ӏийса мехкан куьйгалхочунна хьалха дӀахӀоьттира. Цо Ӏийсага хаьттира: «Хьо жуьгтийн къоман паччахь вуй?» Ӏийсас жоп делира: «Ахьа боху-кх иза».</verse>
				<verse number="12">Ткъа динан коьртачу дайший, къаноший Шена бехк биллича, Цо цаьрга хӀумма а ца элира.</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха Пулата Цуьнга элира: «Хьуна ца хеза, Хьайна дуьхьал мел дукха бехкаш даладо?»</verse>
				<verse number="14">Амма Ӏийсас цхьана а тайпана Шега деш долчу хаттаршна жоп ца делира. И сурт шена гича, мехкан куьйгалхо чӀогӀа цецваьллера.</verse>
				<verse number="15">ХӀора Пасахьан дезачу дийнахь мехкан куьйгалхочо набахти чу боьхкинчу нахана юкъара халкъо къастийна волу цхьа стаг дӀахоьцура.</verse>
				<verse number="16">Цу хенахь набахти чохь воллуш вара цӀеяхана волу зуламхо ЮшаӀ-Барраб.</verse>
				<verse number="17">Нах схьагулбелча, Пулата цаьрга хаьттира: «Аса царах муьлха дӀахоьцийла лаьа шуна: ЮшаӀ-Барраб я Ӏийса, „Дала леррина Къобалвинарг“ олуш волу?»</verse>
				<verse number="18">Пулатана хаьара, Ӏийса цара, Цуьнга хьагӀ хилар бахьана долуш, ямартло а йина, валийнийла.</verse>
				<verse number="19">Пулат мехкан кхеташонехь Ӏаш волчу хенахь цуьнга шен хӀусамненера хабар кхечира: «Цу Делан лаамехь волчунна кхел ечуьра юьстахвалахьара хьо, хӀунда аьлча дӀаяханчу буса аса Иза бахьана долуш гӀенах чӀогӀа бала хьийгира», — аьлла.</verse>
				<verse number="20">Амма динан коьртачу дайша а, къаноша а гулбеллачаьрга шайн лаам дӀахаийтира: Барраб кӀелхьара а ваьккхина, Ӏийса вен кхел яйта лаар.</verse>
				<verse number="21">ТӀаккха мехкан куьйгалхочо халкъе хаьттира: «Цу шиннах муьлханиг дӀахоьцийла лаьа шуна?» Цара элира: «Барраб».</verse>
				<verse number="22">Пулата цаьрга элира: «Аса хӀун дан деза, Дала леррина Къобалвинарг аьлла, цӀе йолуш волчу Ӏийсана?» Цара массара а элира: «ЖӀарах дӀатоха Иза!»</verse>
				<verse number="23">Пулата хаьттира: «ХӀунда? Цо хӀун зулам дина те?» Амма цара кхин а чӀогӀа маьхьарий хьоькхура: «ЖӀарах дӀатоха!» — бохуш.</verse>
				<verse number="24">И сурт гуш волчу Пулата, адам кхин а чӀогӀа карзахдала кийча дуйла шена гича, массарна а гуш хи схьа а эцна, шен куьйгаш дилира. Цо элира: «ХӀокху Стеган цӀий сох ца хьаьрчина. Аш-шаьш жоп ло».</verse>
				<verse number="25">Адамаша жоп делира: «Цуьнан цӀий тхуний, тхан берашний тӀехь хуьлийла!»</verse>
				<verse number="26">ТӀаккха цо Барраб дӀахецийтира, ткъа Ӏийса, шед а еттийтина, церан кара дӀавелира жӀарах дӀатохийтархьама.</verse>
				<verse number="27">ТӀаккха Ӏийса мехкан куьйгалхочун тӀемалоша кхел кхайкхо гӀишло чу вигира. Цунна гонах тӀемалойн тоба гулъелира.</verse>
				<verse number="28">Ӏийсана тӀера бедарш дӀа а яьхна, цара Цунна тӀе цӀен оба кхоьллира.</verse>
				<verse number="29">Коканийн коьллех кочар а дина, цара иза Ӏийсан коьрта тӀе диллира, аьтту куьйга Ӏаса лацийтира. Беламца, Цунна хьалха гора а хӀиттина, цара бохура: «Декъала хуьлда жуьгтийн къоман Паччахь!»</verse>
				<verse number="30">Цара Цунна тӀе туйнаш детта долийра, тӀаккха Цуьнан карара Ӏаса, схьа а яьккхина, Цуьнан коьртах етта йолийра.</verse>
				<verse number="31">Шаьш Иза аьшнаш вина бевлча, Цунна тӀера цӀен духар дӀа а даьккхина, Цуьнан Шен бедарш тӀеюьйхира цара. ТӀаккха Ӏийса жӀарах дӀатоха дӀавигира.</verse>
				<verse number="32">ХӀорш дӀабоьлхучу хенахь кхарна дуьхьал кхийтира Къуринара волу ШамӀа цӀе йолу стаг. Иза саца а вина, цуьнга Ӏийсан жӀаран бӀогӀам дӀабахьийтира цара.</verse>
				<verse number="33">Уьш схьакхечира «Галгатхьа» олучу метте (иза «туьтанан меттиг» бохург ду).</verse>
				<verse number="34">Стимаца эдина долу чагӀар малийта гӀоьртира уьш Ӏийсага, амма Цо, цунах чам баьккхинчул тӀаьхьа, иза ца мелира.</verse>
				<verse number="35">Иза жӀарах дӀа а тоьхна, тӀемалой, шайна юкъахь Ӏийсан бедарш йоькъуш, кхаж таса хӀиттира.</verse>
				<verse number="36">Цул тӀаьхьа, охьа а хевшина, уьш Иза ларвеш бара.</verse>
				<verse number="37">Ӏийсан коьрта тӀехула дӀатоьхначу уьнна тӀехь яздина дара: «ХӀара ву Ӏийса, жуьгтийн къоман Паччахь» — аьлла. Цу дешнаша ХӀара стенна бехке веш ву билгалдоккхура.</verse>
				<verse number="38">Ӏийсаца ши талорхо вара жӀарах дӀатоьхна. Цхьаъ Цунна аьтту агӀор, важа аьрру агӀор.</verse>
				<verse number="39">Юххехула чекхбовлучара вон баганаш етташ, кортош лестош,</verse>
				<verse number="40">Цуьнга бохура: «ХӀей, Делан цӀа доха а дина, кхаа дийнахь иза юха дӀахӀоттош верг! Хьо Делан КӀант велахь, кӀелхьарвала хьажа, охьавосса жӀаран бӀогӀамна тӀера!»</verse>
				<verse number="41">Царах терра динан коьртачу дайша а, Ӏеламчу наха а, къаноша а, Цунах бийла а буьйлуш, вовшашка бохура:</verse>
				<verse number="42">«Кхиберш кӀелхьара а баьхна, Ша-м кӀелхьара ца ваккхало Кхуьнга. Ша Исраилан халкъан паччахь велахь, охьавосса хӀинца жӀарана тӀера. ТӀаккха тхо Цунах тешар ду!</verse>
				<verse number="43">Иза Делах тешна вара, тӀаккха Дала кху баланах кӀелхьарваккха веза-кх, Шена Иза оьшуш велахь. Цо ала ма аьлла: „Со Делан КӀант ву!“»</verse>
				<verse number="44">Кхуьнца жӀарах дӀатоьхна болчу талорхоша а сийсазвоккхура Иза.</verse>
				<verse number="45">Делкъахенахь лаьтта цӀеххьана Ӏаьржа бода боьссира. Дийнахь кхо сахьт даллалц лаьттира иза.</verse>
				<verse number="46">Делкъал тӀаьхьа кхо сахьт долучу хенахь Ӏийсас чӀогӀа мохь туьйхира: «Эли, Эли, лема сабахьтани?» Цу дешнийн маьӀна иштта ду: «Ва Сан Дела! Со хӀунда вити Ахьа?»</verse>
				<verse number="47">Кхузахь лаьтташ болчу цхьаболчара, и дешнаш шайна хезча, элира: «И стаг Эли-ЯхӀу-пайхамаре кхойкхуш ву-кх!»</verse>
				<verse number="48">Царах цхьаммо, ведда вахана, худург кемсийн къонзи чу а Ӏоьттина, иза хьокхана буьххье а йоьллина, Ӏийсага дӀакховдийра, Цуьнга малийтархьама.</verse>
				<verse number="49">Амма вукхара бохура: «Собар дел, хьовсур ду вай, Эли-ЯхӀу вогӀий те ХӀара кӀелхьарваккха».</verse>
				<verse number="50">Ӏийсас кхин цкъа а мохь туьйхира. ТӀаккха Шен Са дӀаделира Цо.</verse>
				<verse number="51">ЦӀеххьана Делан цӀийна чохь уггар езачу чоьнна дуьхьал оьллина долу кирхьа лакхара дуьйна лаха кхаччалц декъаделира. Латта дегадора, тӀулгаш лелхара.</verse>
				<verse number="52">Къуббанаш еллаелира, дуккха а Делан нах беллачуьра денбира.</verse>
				<verse number="53">Ӏийса денвеллачул тӀаьхьа, уьш, шайн къуббанаш чуьра ара а бевлла, яхӀудхоша сийлахь-еза лоруш йолчу Ярушалайм-гӀалина чу бахара, уьш дуккха а болчу нахана ган а гира.</verse>
				<verse number="54">Ӏийса ларвеш хиллачу тӀемалойн хьаькам а, цуьнца цхьаьна хилларш а, шайна латта дегош а, кхин а хилла долу хӀуманаш гича, чӀогӀа кхерабелира. Цара бохура: «Иза бакъонца Делан КӀант хилла!»</verse>
				<verse number="55">Геннара цу суьрте хьоьжуш лаьтташ дуккха а зударий бара. Уьш Ӏийсаца Галилайра схьабаьхкина бара, Цуьнан хьашташ кхочушдархьама.</verse>
				<verse number="56">Царна юкъахь Магдалера Марем а, Якъубан а, Юшан а нана Марем а, Зевадин шина кӀентан нана а яра.</verse>
				<verse number="57">Суьйре тӀееача, Рамат-гӀалара Юсуп цӀе йолу хьалдолу стаг веара. Иза а вара Ӏийсан мурдех.</verse>
				<verse number="58">Пулат волчу а веана, цо, Ӏийсан дакъа шега схьалахьара аьлла, дехар дира. Пулата, дакъа дӀало аьлла, омра дира.</verse>
				<verse number="59">Юсупа, дакъа схьа а эцна, цӀеначу кӀади юккъе а хьарчийна,</verse>
				<verse number="60">ша шена ломахь яьккхинчу керлачу къуббанна чу охьадиллира. Цунна дуьхьал боккха тӀулг а карчийна, цу чу воьду меттиг дӀа а къевлина, иза дӀавахара.</verse>
				<verse number="61">Магдалера Марем а, важа Марем а цу къуббанна дуьхьал охьахиира.</verse>
				<verse number="62">Иза хилира пӀерасканан дийнахь, Далла лерина долчу шоьтан денна кечам бечу хенахь. ШолгӀачу дийнахь динан коьртачу дайша а, парушхоша а, Пулат волчу а баьхкина,</verse>
				<verse number="63">элира: «Эла, тхуна хӀинца дагадеа иза: цу нах лебечо ша дийна волуш элира: „КхоалгӀачу дийнахь Со денлур ву“.</verse>
				<verse number="64">Цундела, и чохь волу къубба, и кхо де даллалц, дикка ларъе алий, омра дехьа, Цуьнан мурдашка дакъа, лачкъа а дина, дӀа ца дахьийта. Цара эр ма ду: „Иза веллачуьра денвелла“. ТӀаккха шолгӀа аьлла харцдерг хьалха аьллачул а вон хир ду».</verse>
				<verse number="65">Пулата цаьрга элира: «Шайца гӀаролхой схьа а эций, даха а гӀой, шайна бакъахьа хеттачу агӀор ларъе и къубба».</verse>
				<verse number="66">Цара, дӀа а бахана, къуббанна чу воьду меттиг чӀагӀйина хиларан билгало а йина, цигахь гӀарол дӀахӀоттийра.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="28">
				<verse number="1">Далла лерина долу шоьтан де дӀадаьлча, кӀирандийнахь, сатоссуш, Магдалера Марем а, важа Марем а къуббане хьажа еара.</verse>
				<verse number="2">Эццахь чӀогӀа мохк бегийра, хӀунда аьлча Везачу Элан малик, стигалара охьа а доьссина, къуббанна дуьхьал биллина болу тӀулг дӀа а карчийна, цунна тӀе охьахиира.</verse>
				<verse number="3">Цуьнан амат, стелахаьштиг санна, къегара, тӀера бедарш, ло санна, кӀайн яра.</verse>
				<verse number="4">ГӀаролхой шайна и сурт гича, чӀогӀа кхерабелла, бегош бара. Уьш беллачу нахах тарбеллера.</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха малик зударшка дистхилира: «Шу кхера ма ло. Суна хаьа, аша жӀарах дӀатоьхна хилла Ӏийса лоьхий.</verse>
				<verse number="6">Иза кхузахь вац. Цо Ша ма-аллара, Иза денвелла. Даха а гӀой, Цуьнан дакъа Ӏиллинчу метте хьовса.</verse>
				<verse number="7">Цул тӀаьхьа, сихха дӀа а гӀой, Цуьнан мурдашка дӀадийца: „Иза веллачуьра денвелла. Галилай-махка Иза шул хьалха дӀакхочур ву. Цигахь шуна Иза гур а ву“. Иштта ду шуна соьгара дош».</verse>
				<verse number="8">Сихха къубба чуьра ара а яьлла, и шиъ, шаьшшиъ чӀогӀа кхераелла, яхьийна йоллушехь, йоккхаерца едда и хаам мурдашна дӀахаийта яхара.</verse>
				<verse number="9">ЦӀеххьана царна новкъахь дуьхьалкхийтира Ӏийса. Цо элира: «Маршалла ду шуьга». И шиъ, тӀе а яхана, Цуьнан когех хьакха а елла, Цунна хьалха охьатаьӀира.</verse>
				<verse number="10">Ӏийсас цаьрга элира: «Ма кхералаш. Яха а гӀой, Сан вежаршка Галилай-махка гӀо ала. Цигахь гур ву царна Со».</verse>
				<verse number="11">Зударий мурдаш болчу дӀабаханчу хенахь, масех волчу гӀаролхочо, гӀала схьа а веана, динан коьртачу дайшка дерриг а хилларг дӀадийцира.</verse>
				<verse number="12">Къанойх дӀа а кхетта, цаьрца барт а бина, динан коьртачу дайша цу тӀемалошна дуккха а ахча делира.</verse>
				<verse number="13">Цара элира: «Аша массаьрга а ала деза: „Буьйсанна Цуьнан мурдаша, схьа а баьхкина, тхо дийшина долчу хенахь, Цуьнан дакъа, лачкъа а дина, дӀадаьхьира“.</verse>
				<verse number="14">И хаам мехкан куьйгалхочунна дӀахаахь, оха цуьнца барт бийр бу шуна таӀзар ца дайта».</verse>
				<verse number="15">Ахча схьа а эцна, цара, шайна ма-хьеххара, нахе дӀадийцира. И хаам жуьгташна юкъахь дӀасабаьржира. Таханлерчу дийне кхаччалц схьадогӀуш а ду иза.</verse>
				<verse number="16">Ӏийсас тӀе-ма-диллара, Галилай-махкарчу лам тӀе дӀавахара цхьайтта мурд.</verse>
				<verse number="17">Иза шайна гича, уьш Цунна хьалха охьатаьӀира, амма цхьаццаберш шекбевлира.</verse>
				<verse number="18">Ӏийсас, тӀе а веана, цаьрга элира: «Стигалшкахь а, кху дуьнен чохь а мел йолу бакъо Сан кара схьаелла.</verse>
				<verse number="19">Иштта, даха а гӀой, Ден, КӀентан, Делан Синан цӀарах массо а халкъаш хих чекхдаха,</verse>
				<verse number="20">Аса шайна тӀедиллинарг дерриг а лардар а хьоьхуш. Ткъа Со массо а хенахь шуьца хир ву, дуьненан чаккхе тӀекхаччалц».</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="41">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">Дала леррина къобалвинчу Делан КӀантах Ӏийсах лаьцна хаза кхаъ болабелла иштта.</verse>
				<verse number="2">ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро шен заманахь яздинера: «Хьажал! Хьуна хьалха Сайн геланча воуьйту Ас. Цо Хьуна некъ кечбийр бу.</verse>
				<verse number="3">Яьссачу аренгахь кхойкхучун аз хезаш ду: „Везачу Элана некъ кечбе, нисде Цунна хьалха некъан тачанаш“».</verse>
				<verse number="4">Иза кхочушхуьлуш гучувелира Яхьъя. Цо, яьссачу арахь адамаш хих чекх а дохуш, кхайкхам бора: «Далла тӀе а дерзий, шаьш хих чекхдахийта, Деле шайн къиношна гечдайтархьама».</verse>
				<verse number="5">ЯхӀуд-махкара а, Ярушалаймера а дукха адам догӀура цунна тӀе. Далла хьалха шайх даьллачу къиношна дохко а бовлий, Йордан-хи чохь шаьш хих чекхбохуьйтура наха Яхьъяга.</verse>
				<verse number="6">Цо эмкалан тӀергӀах дина духар леладора, шуьйра тӀаьрсиган доьхка а доьхкура. ЦӀоз а, акха моз а дуура Яхьъяс.</verse>
				<verse number="7">Адамашна иштта хьехамаш бора цо: «Барам боцуш сол нуьцкъалниг вогӀу суна тӀаьххье. Цунна хьалха ур-атталла гора а хӀоьттина, Цуьнан мачийн бахтарш дӀадаста хьакъ вац со.</verse>
				<verse number="8">Аса шу хих чекхдоху, ткъа Цо Делан Синах дузор ду шу».</verse>
				<verse number="9">Оцу деношкахь Галилай-махкара Назарт-гӀалара Ӏийса а веара цига. Цо Яхьъяга Йордан-хи чохь Ша хих чекхваккхийтира.</verse>
				<verse number="10">Ӏийса хи чуьра хьалаволлушехь, Цунна а гуш, стигалш дӀаеллаелира. Кхокханан суьртехь Делан Са доьссира Цунна тӀе. И Делан Са Ӏийсана чу дуьйлира.</verse>
				<verse number="11">Ткъа стигалара аз хезира: «Хьо ву Сан хьоме КӀант! Хьоьца бу Сан лаам».</verse>
				<verse number="12">Цу сохьта Делан Сино Иза яьссачу аренга вахийтира.</verse>
				<verse number="13">Цигахь иблисо зуьйш, шовзткъа де даьккхира Ӏийсас. Акхарошна юкъахь Ӏаш вара Иза, маликаша Цунна гӀуллакх а деш.</verse>
				<verse number="14">Яхьъя, схьа а лаьцна, чувоьллинчул тӀаьхьа, хаза кхаъ кхайкхош, Ӏийса Галилай-махка вахара.</verse>
				<verse number="15">Цо олура: «Хан тӀекхаьчна. Делан Олалла гергакхаьчна. Шайгара девллачу къиношна дохко а довлий, Далла тӀе а дерзий, хазачу кхоах теша».</verse>
				<verse number="16">Галилай-Ӏомана юххехула чекхволуш, ШамӀа а, цуьнан ваша Ӏандар а гира Ӏийсана. Уьш чӀерий лоцу бой хи чу тосуш бохкура, шаьш чӀерийлецархой болу дела.</verse>
				<verse number="17">Ӏийсас элира цаьрга: «Суна тӀаьхьахӀитта, ткъа Аса хӀинца дуьйна адамийн синош лецархой дийр ду шух».</verse>
				<verse number="18">Уьш, сихонца шайн бойнаш а йитина, Ӏийсана тӀаьхьахӀиттира.</verse>
				<verse number="19">Дехьо ваьлча, Цунна Зевадин кӀант Якъуб а, цуьнан ваша Яхьъя а гира. Уьш хинкеман чохь чӀерий лоцу бойнаш тоеш бара.</verse>
				<verse number="20">Ӏийсас цу сохьта уьш схьакхайкхира, ткъа вуьш, шайн да Зевади белхалошца хинкеман чохь а витина, Цунна тӀаьхьа хӀиттира.</verse>
				<verse number="21">Уьш Къапарнаме дӀабуьйлабелира. Шоьтан де тӀе ма деъана, Ӏийсас гуламан цӀа чу а вахана, адамашна хьехамаш бира.</verse>
				<verse number="22">Нах цецбуьйлура Цуьнан хьехамех, хӀунда аьлча Ӏеламчу наха санна а доцуш, олалла долчо санна хьоьхура Ӏийсас.</verse>
				<verse number="23">ЦӀеххьана гуламан цӀа чохь жино хьийзош волу стаг гучувелира, мохь а хьоькхуш:</verse>
				<verse number="24">«Хьан хӀун гӀуллакх ду тхоьца Назартара Ӏийса? Тхо хӀаллакдан веана Хьо? Суна хаьа Хьо мила ву — Делан Везаниг!»</verse>
				<verse number="25">Ӏийсас омра дира жине: «ДӀасаца! Арадала цунна чуьра!» — аьлла.</verse>
				<verse number="26">ТӀаккха, и стаг дӀаса а виттина, чӀогӀа мохь а хьаькхна, цунна чуьра араделира жин.</verse>
				<verse number="27">Чохь берш чӀогӀа цецбевлла, вовшашка хетта буьйлабелира: «И хӀун керла хьехам бу? Ур-атталла жинашна тӀехь а олалла до Цо, ткъа вукхара Цуьнан омре ладугӀу».</verse>
				<verse number="28">Дукха хан ялале Ӏийсах лаьцна Галилай-махкахь массо а меттехь дуьйцуш дара.</verse>
				<verse number="29">Ӏийса Яхьъяца а, Якъубца а гуламан цӀа чуьра ара ма велли, ШамӀа а, Ӏандар а волчу цӀа вахара.</verse>
				<verse number="30">ШамӀин стуннана чӀогӀа дагар долуш меттахь яра, цара цунах лаьцна дийцира Ӏийсага.</verse>
				<verse number="31">Ӏийсас, тӀе а вахана, куьг а лаьцна, хьалагӀатта гӀо дира зудчунна. Оцу сохьта дагар дӀа а даьлла, царна хьошалла дан йолаелира цомгушниг.</verse>
				<verse number="32">Сарахь, малх чубуьзначу хенахь, цигара массо цомгушнаш а, жинаша хьийзош берш а балийра Ӏийсана тӀе.</verse>
				<verse number="33">Дукха адам гулделла дӀахӀоьттинера неӀаре.</verse>
				<verse number="34">Тайп-тайпана цамгарш йолу дукха нах тобира Цо. Дукха жинаш а нахана чуьра арадехира Ӏийсас, амма, Ша царна вевзий хууш, Ӏийсас ца магадора, Ша мила ву дийца.</verse>
				<verse number="35">Ӏуьйранна, сатасале, цӀера ара а ваьлла, цхьа а адам доцучу метте вахара Ӏийса. Цигахь Цо доӀа дира.</verse>
				<verse number="36">Ткъа ШамӀагӀар Иза лаха арабевллера.</verse>
				<verse number="37">И карийча, цара элира Ӏийсага: «Массо а Хьо лоьхуш ву».</verse>
				<verse number="38">Ткъа Ӏийсас элира цаьрга: «Дуьло, юххехь йолчу гӀаланашка а, ярташка а гӀо вай, цигахь хьехамаш бан, хӀунда аьлча Со цунна веана ма ву».</verse>
				<verse number="39">Галилай-махкахула жуьгтийн гуламан цӀеношкахь нахана хьехамаш а беш, жинаша хьийзош болчарна чуьра жинаш ара а дохуш, вахара Ӏийса.</verse>
				<verse number="40">ДӀа ца йоьрзу йолу чкъуран цамгар йолуш цхьа стаг веара Ӏийсана тӀе. Ӏийсана хьалха гора а воьжна, шена гӀо дар а доьхуш, цо элира: «Хьайна лиъча, со товийр вара-кх Ахьа».</verse>
				<verse number="41">Цу стагах дукха къа а хетта, цунах куьг а Ӏоьттина, Ӏийсас элира: «Суна лаьа хьо товала! ЦӀанло!»</verse>
				<verse number="42">Цу сохьта, и цамгар дӀа а яьлла, цу стеган дегӀ цӀанделира.</verse>
				<verse number="43">Ӏийсас, и стаг сихонца дӀа а хьажош, чӀогӀа тӀедилларца элира цуьнга:</verse>
				<verse number="44">«Варелахь, хиллачух лаьцна цхьаьнгге а ма дийцалахь. Ткъа хӀинца ваха а гӀой, хьо динан дега а гайтий, Муса-пайхамаро тӀе-ма-диллара, Далла лерина сагӀанаш даха. Хьо товаларан тоьшаллина хир ду иза нахана хьалха».</verse>
				<verse number="45">Амма вукхо вахана массанхьа дийцина хиллачух лаьцна, цундела, ма-бохху гӀалахь гучувала йиш ца хиларна, адам кӀеззиг долчу меттигашкахь соцура Ӏийса. ХӀетте а массанхьара а адам догӀура Цунна тӀе.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Масех де даьлча, Ӏийса Къапарнаме юхавирзира. Иза цӀа вирзина аьлла, хабар даьржира.</verse>
				<verse number="2">И волчу дукха адам гулделира, неӀарехула чувала меттиг а ца юьсуш, ткъа Ӏийсас царна хьехамаш бора.</verse>
				<verse number="3">Баьхкинчарна юкъахь шен дегӀан дола ца далуш волу стаг айина вахьаш веана виъ стаг вара.</verse>
				<verse number="4">Амма адам тӀех дукха хиларна, уьш Ӏийсана тӀе ца кхачалора. ТӀаккха цара, Ӏийса чохь волчу цӀенна тӀехула болчу тхов тӀе а бевлла, тховх Ӏуьрг а даьккхина, цомгушниг шен мотт-гӀайбица чу а воссийна, Ӏийсана хьалха охьавиллира.</verse>
				<verse number="5">Церан Шех тешар гича, цомгушчуьнга Ӏийсас элира: «Сан кӀант, хьан къиношна гечдина».</verse>
				<verse number="6">Цигахь хиъна Ӏаш масех Ӏелам стаг вара. Шайн дагахь цара бохура:</verse>
				<verse number="7">«Иза хӀун ду те хӀокху стага дуьйцург? Цо ма Ӏеса къамел до. Къиношна гечдан хьенан бакъо ю, цхьа Дела воцучун?»</verse>
				<verse number="8">Цу сохьта, церан дог-ойла хууш, Ӏийсас цаьрга элира: «ХӀун ойланаш ю аша йийраш?</verse>
				<verse number="9">Цомгушчуьнга ала хӀун ду атта: „Хьан къиношна гечдина“, я: „ХьалагӀатта, хьайн мотт-гӀайба а эций, дӀагӀо“?</verse>
				<verse number="10">Амма Суна лаьа шуна хаийта Адамийн КӀентан дуьнен тӀехь къиношна гечдан олалла дуйла». ТӀаккха цомгушчуьнга Ӏийсас элира:</verse>
				<verse number="11">«Ас боху хьоьга! Хьала а гӀаттий, хьайн мотт-гӀайба схьа а эций, цӀа гӀуо!»</verse>
				<verse number="12">Важа, сихха хьала а гӀаьттина, шен мотт-гӀайба а эцна, массарна а гуш аравелира. Чохь болчара чӀогӀа инзарбевлла, Далла хастамаш беш, бохура: «Тхуна цкъа а ца гина хӀуманаш ду-кх хӀорш!»</verse>
				<verse number="13">Юха а Ӏоман берда тӀе веара Ӏийса. Цунна тӀе дукха адам деара, ткъа Ӏийса царна хьехамаш бан волавелира.</verse>
				<verse number="14">Юххехула чекхволуш, Цунна ХӀалпайн кӀант Леви гира, ял схьагулъеш болчеран бун чохь хиъна Ӏаш. Ӏийсас элира цуьнга: «Суна тӀаьххье схьавола!» Леви, хьала а гӀаьттина, Цунна тӀаьххье дӀавахара.</verse>
				<verse number="15">Цхьана дийнахь Ӏийса Левин цӀахь хӀума юуш вара. Дуккха а ял йоккхурш а, къинош летийна болу нах а бара Цуьнца а, Цуьнан мурдашца а, хӀунда аьлча Ӏийсана тӀаьхьахӀиттинарш алссам бара.</verse>
				<verse number="16">Къинош летийна болчу нахаца а, ял йоккхуш болчаьрца а Ӏийсас хӀума юуш а гина, парушхойн юкъара Ӏеламчу наха хаьттира Цуьнан мурдашка: «Ял йоккхуш болчу а, къинош летийна болчу а нахаца хӀума хӀунда йоу Цо?» — аьлла.</verse>
				<verse number="17">Ӏийсас, и хезна, элира: «Могуш болчарна лор оьшуш вац, цомгуш болчарний бен. Бакъахьара лелачаьрга кхайкхам бан ца веана Со, къинош летийначаьрга бен».</verse>
				<verse number="18">Оцу хенахь Яхьъян мурдаш а, парушхойн мурдаш а марханаш кхобуш бара. Цкъа масех стага, тӀе а веана, хаьттира Ӏийсага: «И хӀун ду? Яхьъян мурдаша а, парушхоша а марха кхобу, ткъа Хьан мурдаша цкъа а марха кхобуш ма ца го?!»</verse>
				<verse number="19">Ӏийсас жоп делира царна: «Масала, зуда ялийна меттиг хилча, зуда ялош волчун накъосташа и зуда ялош верг шайна юкъахь мел ву, марха кхобур дуй, шаьш гӀайгӀане хилар гойтуш? И стаг шайца мел ву, церан марха кхаба йиш яц.</verse>
				<verse number="20">Ткъа цхьа хан йогӀур ю, и зуда ялийнарг дӀа а вигна, тӀаккха цара марха а кхобуш, уьш сингаттаме а хуьлуш».</verse>
				<verse number="21">ТӀаккха Ӏийсас кхин а цхьа хьекъале дустар далийра царна: «Ширачу духар тӀе, керлачу кӀадих а яьккхина, йома латор яц цхьаммо а, хӀунда аьлча и йома тӀеттӀа а яхана, бедар тӀе а оьзна, и Ӏуьрг кхин а доккха хир ду.</verse>
				<verse number="22">Я цхьаммо а керла чагӀар ширачу пӀаьлдиг чу ца дутту, хӀунда аьлча и пӀаьлдиг а бетӀар бу, чагӀар а Ӏенар ду. Керла чагӀар керлачу пӀаьлдиг чу дутту».</verse>
				<verse number="23">Цкъа шоьтан дийнахь кӀа дийначу арахула чекхволуш вара Ӏийса. Цуьнан мурдаша цигахула бовлуш кӀен кенаш схьадохура.</verse>
				<verse number="24">ТӀаккха и гиначу парушхоша хаьттира Цуьнга: «Хьажахь, Дала кхоьллинчу шоьтан садоӀучу дийнахь дан мегаш доцу гӀуллакх хӀунда до цара?» — аьлла.</verse>
				<verse number="25">Ткъа Ӏийсас жоп делира царна: «Аша ца дешна, Дауд-паччахьо ша а, шен накъостий а мацбелча, динчух лаьцна?</verse>
				<verse number="26">Иза, динан коьрта да Абу-ЯтӀари волчу хенахь, Делан цӀа чу а вахана, Далла къобалдина долу бепиг схьа а эцна, ша а диина цо, шеца болчу накъосташна а делла. Ткъа и бепиг динан дайшна бен даа мегаш ца хилла».</verse>
				<verse number="27">КхидӀа а Ӏийсас элира цаьрга: «Шоьтан де адамашна кхоьллина ду, амма адам кхоьллина дац шоьтан денна.</verse>
				<verse number="28">Цундела Адамийн КӀант Дала кхоьллинчу шоьтан денна тӀехь а Эла ву».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">Цхьана шоьтан дийнахь юха а гуламан цӀа чу веара Ӏийса. Цигахь куьг заьӀап долуш цхьа стаг вара.</verse>
				<verse number="2">Цхьадолу адамаш чӀогӀа Ӏийсан тергам беш дара, Далла леринчу шоьтан дийнахь Цо дарба до те я ца до те хьоьжуш, юха Иза бехке вархьама.</verse>
				<verse number="3">Ӏийсас куьг заьӀап долчу стаге элира: «Хьала а гӀаттий, массарна хьалха дӀахӀотта».</verse>
				<verse number="4">ТӀаккха оцу нахе Ӏийсас хаьттира: «ХӀун боху бакъоно, Далла леринчу шоьтан дийнахь хӀун дан мегаш ду, дика я вон? Стеган дахар кӀелхьардаккха я иза хӀаллакдан?» Ткъа уьш бист ца хилира</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха, цаьрга массаьрга а реза воцуш хьажа а хьаьжна, церан къиза дегнаш хиларна халахетарца, Ӏийсас элира куьг заьӀап долчу стаге: «Схьакховдаде хьайн куьг!» Вукхо куьг схьакховдийра — иза оцу сохьта тоделира.</verse>
				<verse number="6">Ткъа парушхой, ара а бевлла, сихонца ХӀародан адамашца барт бан буьйлабелира, Ӏийса шаьш муха хӀаллаквийр вара те бохуш.</verse>
				<verse number="7">Цу хенахь Ӏийса Шен мурдашца Ӏома йисте веара. Дукха адам дара Цунна тӀаьхьа лелаш. Галилай-махкара а, ЯхӀуд-махкара а,</verse>
				<verse number="8">Ярушалаймера а, Эдом-меттигера а, Йорданан тӀехьара а, Цора-гӀалина а, ЦӀадан-гӀалина а гонах Ӏаш долу дукха адам деанера И волчу. Цо дечу гӀуллакхех лаьцна шайна хезна дела баьхкинера Цунна тӀе уьш.</verse>
				<verse number="9">Адам дукха тӀех гулдаларна, цаьрга Ша ца хьашийтархьама, хинкема кечдайтира Ӏийсас Шен мурдашка.</verse>
				<verse number="10">Дукхахболчу баьхкинчарна дарба дира Цо, цундела массо а цомгушнаш Ӏийсана юххе гӀертара, Цунах куьг Ӏотта гӀерташ.</verse>
				<verse number="11">ХӀоразза а харц жинашна Ӏийса гича, Цунна хьалха охьаоьгура уьш, мохь а хьоькхуш: «Хьо Делан КӀант ву!» — бохуш.</verse>
				<verse number="12">Ткъа Ӏийсас чӀогӀа доьхкура царна, Ша мила ву ма дийца бохуш.</verse>
				<verse number="13">Юха Ӏийсас, лам тӀе хьала а ваьлла, мурдашна юкъара Шена оьшурш тӀекхайкхира. Уьш Цунна тӀе баьхкира.</verse>
				<verse number="14">Царна юкъара Ӏийсас шийтта мурд схьакъастийра (царах Цо векалш элира), уьш Шена юххехь хилийтархьама а, цаьрга хьехамаш байтархьама а,</verse>
				<verse number="15">адамашна чуьра жинаш арадаха церан олалла хилийтархьама а.</verse>
				<verse number="16">Ӏийсас къастийна векалш хӀорш бара: ШамӀа (Ӏийсас тӀаьхьа, Кипа аьлла, цӀе тиллинарг),</verse>
				<verse number="17">Зевадин кӀант Якъуб, цуьнан ваша Яхьъя, (шайна Ӏийсас, Баней-Раговш аьлла, цӀе тиллинарш, иза «ткъесан кӀентий» бохург ду),</verse>
				<verse number="18">Ӏандар, Пилап, Барталамай, Маттай, ТӀама, ХӀалпайн кӀант Якъуб, Тхьада, ШамӀа (ша тӀелаьцнарг тӀевирззина кхочушдан гӀертарг),</verse>
				<verse number="19">ЯхӀуд-Искархо а, тӀаьхьа ямартхо хилларг.</verse>
				<verse number="20">Цул тӀаьхьа Ӏийса цӀа чу вахча, юха а дукха нах гулбелира, ур-атталла юург яа а меттиг ца йолуьйтуш Ӏийсана а, Цуьнан мурдашна а.</verse>
				<verse number="21">Ӏийсан цӀерачарна цунах лаьцна хезча, уьш Иза дӀавига баьхкира, хӀунда аьлча наха дуьйцура, Иза лар тӀехь вац бохуш.</verse>
				<verse number="22">Ткъа Ярушалаймера баьхкинчу Ӏелам наха олура: «Цунна чу БаӀал-Зебула-жин доьлла! Оцу харц жинийн элан олаллица жинаш арадоху Цо адамашна чуьра!»</verse>
				<verse number="23">ТӀаккха Ӏийсас, уьш Шена тӀе а кхайкхина, дустарш далийра царна: «Иблисо муха эккхор ду иблис?</verse>
				<verse number="24">Цхьана пачхьалкхехь вовшашлахь тӀом хилча, и пачхьалкх хӀаллакьхир ю.</verse>
				<verse number="25">Я цхьана доьзалехь цхьа барт бацахь, иза а бухур бу.</verse>
				<verse number="26">Ткъа иблис ша-шена дуьхьал даьлча, иблисан олалла шена чохь а декъаделча, иза кхин латталур дац, цуьнан тӀаьххьара де тӀекхочу.</verse>
				<verse number="27">Цхьа а ца воьду шел онданиг волчу цӀа чу, цуьнан хӀуманаш лачкъо, цкъа хьалха иза дӀавихкина бен, къола далур дац цуьнан цӀахь.</verse>
				<verse number="28">Баккъалла а боху Аса шуьга: „Адамийн кӀенташна муьлхха а къиношна гечдийр ду, цара Дела сийсазвар а тӀехь,</verse>
				<verse number="29">амма Делан Са сийсаздинчунна цкъа а гечдийр дац, иза гуттаренна къинойн баланехь хир ву“».</verse>
				<verse number="30">Иштта дешнаш элира Ӏийсас, Шех лаьцна наха «Иза харц жинашца тайна ву», — олу дела.</verse>
				<verse number="31">Ӏийса волчу Цуьнан наний, вежарий баьхкира. Уьш арахь севцира. Цара Ӏийса аракхайкхира,</verse>
				<verse number="32">хӀунда аьлча, гонах хиъна дукха адам хиларна, Цунна тӀе ца кхачалора уьш. Ӏийсага элира: «Хьажахь, Хьан наний, вежарий, йижарий бу-кх арахь Хьо хоьттуш».</verse>
				<verse number="33">Цо жоп делира: «Муьлш бу Сан наний, вежарий?»</verse>
				<verse number="34">ТӀаккха, Шена гонах хевшина болчаьрга а хьаьжна, Ӏийсас элира: «ХӀорш бу Сан наний, вежарий!</verse>
				<verse number="35">ХӀунда аьлча Делан лаам кхочушбеш берш бу Сан ваша а, йиша а, нана а».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">Юха а цхьана дийнахь Ӏоман берда тӀехь хьехамаш беш вара Ӏийса. Цунна гонах гулделла дукха адам дара. Цундела Иза, хинкеманна тӀе а ваьлла, Ӏоман йистера дехьо велира, ткъа адамаш берда тӀехь дисира.</verse>
				<verse number="2">Дукха хьехамаш бора Ӏийсас царна, хьекъале дустарш далош. Иштта дийцира Цо цаьрга:</verse>
				<verse number="3">«ЛадогӀал! Цхьа ахархо шен кха тӀе хӀу таса араваьлла.</verse>
				<verse number="4">Цо хӀу тосучу хенахь цхьадолу буьртигаш некъан йистехула охьаэгна хилла. Схьадаьхкинчу олхазарша уьш дӀадиъна.</verse>
				<verse number="5">Важа буьртигаш жагӀа а болуш, латта кӀеззиг долчу метте охьаэгна хилла. Цу буьртигаша сихха зӀийдигаш тесна, хӀунда аьлча цигахь латта кӀезиг дара.</verse>
				<verse number="6">Малх кхетча, цо и зӀийдигаш ягийра, церан орамаш кӀорга ца хиларна, уьш якъаелира.</verse>
				<verse number="7">Кхидерш коканийн коьллаш юкъа ийгира, амма коьллаша, юкъ а елла, хӀун зӀийдигаш къайлаехира. Цара ялта ца делира.</verse>
				<verse number="8">Ткъа важа долу хӀу, дика латта долчохь а нисделла, зӀийдигаш а тесна, уьш хьала а евлла, цара ялта делира, ткъе итт, кхузткъа а, ур-атталла бӀе а хӀу а луш хӀора кено а».</verse>
				<verse number="9">ТӀаккха Ӏийсас элира ладугӀучаьрга: «Лергаш долчунна дӀахозийла хӀара».</verse>
				<verse number="10">Ӏийса Ша висча, шийтта векало а, юххерчу кхечу мурдаша а хаьттира Цуьнга дустарех лаьцна.</verse>
				<verse number="11">Ӏийсас жоп делира цаьрга: «Шун таро ю Делан Олаллех йолу къайленаш йовза, ткъа кхечарна ишттачу дустаршца дуьйцу Аса,</verse>
				<verse number="12">„царна, хьоьжжушехь, хӀумма а ца гайтархьама, хеззашехь, уьш ца кхетийтархьама, кхечу тайпана хилча, уьш Суна тӀебоьрзур бара, ткъа Ас гечдийр дара царна“».</verse>
				<verse number="13">Ӏийсас элира мурдашка: «Шу а ца кхета те оцу дустарх? ТӀаккха кхечу дустарех муха кхетар ду те шу?</verse>
				<verse number="14">Ахархочо дуьйш дерг Делан Дош ду.</verse>
				<verse number="15">Цхьадолу адамаш некъа йисте доьжначу хӀух тера ду. Царна Делан дош хеза, амма, цу сохьта иблис а догӀий, цо церан дегнаш чу доьжна дош дӀахьо.</verse>
				<verse number="16">Кхиберш тера бу тӀулгашна юккъе эгначу хӀух. Шайна Делан дош хезча, хазахетарца, сихонца схьалоцу цара и дош.</verse>
				<verse number="17">Амма церан хила ма-беззара орам боцу дела, уьш кӀеззигчу ханна бен ца лаьтта. Ткъа и дош бахьана долуш, шайна тӀе халонаш хӀиттича, уьш сихха юхабовлу.</verse>
				<verse number="18">Вуьш тера бу коканийн коьллаш юккъе эгначу буьртигех. Уьш дош хезнарш бу,</verse>
				<verse number="19">амма дахаран гӀайгӀанаша а, хьолах Ӏехабаларо а, кхечу лаамаша а и хезна дош дицдолуьйту, цара шайн дахарехь стом а ца ло.</verse>
				<verse number="20">Ткъа цхьаберш бу хьийкъинчу лаьтта тӀе эгначу буьртигех тера. Уьш дош а хезна, иза даго тӀе а эцна, пайден стом луш берш бу — наггахь ткъе уьттазза, наггахь кхузткъазза а, я бӀозза а сов луш».</verse>
				<verse number="21">Кхин дӀа а Ӏийсас элира: «Цхьаммо стогар латийча, иза Ӏункарнехьа хӀоттийначу кхабина я маьнги кӀел хӀотторхьама а бохьий чу? Я иза лаккха хьалахӀоттабан бахьа чу?</verse>
				<verse number="22">ХӀунда аьлча мел йоккха къайле а, цхьанна а ца хууш юьсур яц, мел чӀогӀа лечкъийнарг а гӀар ца долуш а, гучу ца долуш а дуьсур дац.</verse>
				<verse number="23">Хезаш волчунна дӀахезийла хӀара!»</verse>
				<verse number="24">Кхин а тӀетуьйхира Ӏийсас: «Дикка кӀоргера ойла елаш, шайна хезначух лаьцна. Аша нехан ма-хаддора, Дала шун а хадор бу мах, ткъа шун кхин а лакхара хадор бу.</verse>
				<verse number="25">ХӀунда аьлча долчунна кхин а тӀелур ду, ткъа доцучуьнгара цуьнан данне а доцург а дӀадоккхур ду».</verse>
				<verse number="26">ТӀаккха Ӏийсас элира: «Делан Олаллех лаьцна иштта кхета мега. Цхьана стага лаьтта хӀу тосу.</verse>
				<verse number="27">Буса и стаг, охьа а вуьжий, Ӏуьйранна хьалагӀотту. Ткъа хӀу цу хенахь, хьала а долий, кхуьу. Иза муха хуьлу стагана шена а ца хаьа.</verse>
				<verse number="28">Лаьтто ша кхиадо и хӀу: хьалха зӀийдиг а тосий, тӀаккха гӀа а долий, кӀен буьртигаш а хуьлий, дӀахӀутту.</verse>
				<verse number="29">КӀен буьртигаш хилла девлча, ахархочо марс схьаоьцу, кӀа хьокху хан тӀееана дела».</verse>
				<verse number="30">Цул тӀаьхьа Ӏийсас кхин а хаьттира: «Стенца дуста мегар ду Делан Олалла? Я муьлхачу дустарца дуьйцур ду цунах лаьцна?</verse>
				<verse number="31">Лаьтта тӀехь уггаре а жимачу хӀуьнах тера ду иза, и дӀадуьйчу хенахь.</verse>
				<verse number="32">Амма иза дӀадийначул тӀаьхьа, хьала а долий, бешан дитташ юкъахь уггаре а доккха дитт хуьлий дӀахӀутту. Стигаларчу олхазарша а баннаш дан тарло цуьнан гаьннаш тӀехь».</verse>
				<verse number="33">Ишттачу кхин а дуккха а дустаршца хьехамаш бора Ӏийсас — адамаш кхетар долчу тайпана.</verse>
				<verse number="34">Дустар ца далош, Цо хӀумма а ца дуьйцура царна, ткъа Шен мурдашца Ша висча, Цо дерригенах кхетабора уьш.</verse>
				<verse number="35">Цу дийнахь суьйранна Ӏийсас элира Шен мурдашка: «Ӏоман дуьхьаларчу берда тӀе довла вай».</verse>
				<verse number="36">ТӀаккха цара адамаш а дитина, Ӏийса хинкеман тӀехь ма-хиллара шайца дӀавигира. Хи чохь кхераниг доцург кхин а кеманаш дара.</verse>
				<verse number="37">ЦӀеххьана, чӀогӀа мох а баьлла, тулгӀенаша кеман чу хи даьккхира, кема хих дузуш дара.</verse>
				<verse number="38">Ӏийса цу хенахь кеманан цӀоганехь вара, гӀайби тӀе корта а биллина, наб кхетта Ӏаш. Мурдаша, Иза сама а ваьккхина, элира: «Устаз! Хьуна бен а ца хета те вай хин буха дахар?»</verse>
				<verse number="39">ТӀаккха Ӏийсас, хьала а гӀаьттина, мохе омра а дина, хине элира: «ЛагӀло! ДӀате! Сацийта!» Мох сецира, цхьа а гӀар-тата доцуш, тийналла дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="40">Ткъа мурдашка Цо элира: «Шу кхера хӀунда кхоьру? Шун дегнаш чохь хӀинца а тешар дац те?»</verse>
				<verse number="41">Амма уьш чӀогӀа кхерабелла хиларна, цара цецбовларца вовшашка хоьттура: «ХӀара мила ву те, ур-атталла мох а, хиш а Цунна къарлуш хилча?»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">Ӏийса шен мурдашца дуьхьаларчу берда тӀехь лаьттачу ГӀарас цӀе йолчу меттиге веара.</verse>
				<verse number="2">Иза хинкеманна тӀера лаьтта ваьлча, Цунна дуьхьал нах дӀабухкучу хьехаш чуьра жинаша хьийзош волу цхьа стаг веара.</verse>
				<verse number="3">Оцу хьехаш чохь Ӏаш вара иза. Цхьаьнгге а ур-атталла зӀенашца а дӀа ца вехкалора иза,</verse>
				<verse number="4">хӀунда аьлча мосуьйттазза а зӀенашца вихкича а, когех буржалш тоьхча а, цо уьш хедадора. Цхьаьнггахь а иза теван ницкъ а бацара.</verse>
				<verse number="5">Массо дийнахь а, буса а къуббанашна а, баьрзнашна а юккъехула а лелаш, чӀогӀа мохь а хьоькхуш, тӀулгех ветталуш лелара иза.</verse>
				<verse number="6">Геннара Ӏийса вогӀу а гина, дуьхьал а ведда, Цунна хьалха гора а воьжна,</verse>
				<verse number="7">чӀогӀа мохь хьаькхира цо: «Хьуна хӀун оьшу соьгара, Ӏийса, Веза Воккхачун КӀант? Делан дуьхьа доьху Хьоьга, ма хьийзавехьа со?»</verse>
				<verse number="8">Ткъа Ӏийсас хӀетале омра динера жине: «Арадала оцу стагана чуьра!» — аьлла.</verse>
				<verse number="9">ТӀаккха Ӏийсас хаьттира жине: «ХӀун ю хьан цӀе?» — бохуш. Вукхо жоп делира: «„Эскар“, хӀунда аьлча тхо дуккха а ду».</verse>
				<verse number="10">Оцу жинаша чӀогӀа дехар дира Ӏийсага, шаьш оцу махкара дӀа ма довлийтахьара аьлла.</verse>
				<verse number="11">Циггахь лам тӀехь бежаш хьакхарчийн боккха бажа бара.</verse>
				<verse number="12">Жинаша Ӏийсага дийхира, шаьш царна чу довлийтахьара аьлла.</verse>
				<verse number="13">Цо царна пурба делира. Жинаш, оцу стагана чуьра ара а девлла, хьакхарчашна чудевлира. Ши эзар гергга йолу хьакхарчий, лекхачу берда тӀера хи чу а лилхина, Ӏоман буха яхара.</verse>
				<verse number="14">Ӏуй, бевдда дӀа а бахана, гӀалахь а, юххерчу ярташкахь а хиллачух лаьцна дуьйцуш бара. Нах хьажа баьхкира, хилларг хӀун ду те аьлла.</verse>
				<verse number="15">Ӏийсана юххе баьхкича, и жинаша хьийзина волу стаг, тӀе хӀума а юьйхина, метта а веана, шайна гича, уьш кхерабелира.</verse>
				<verse number="16">И дерриг гиначара дийцира баьхкинчаьрга цу стагах а, хьакхарчех а хиллачух лаьцна.</verse>
				<verse number="17">ТӀаккха цигара бахархоша дийхира Ӏийсага, шаьш а, шайн мохк а битина, дӀагӀахьара Хьо аьлла.</verse>
				<verse number="18">Ӏийса хинкеман тӀе волуш, жинех паргӀатваьллачу стага ша а вигар дийхира Цуьнга.</verse>
				<verse number="19">Амма Ӏийсас цунна ца магийра иза. Цо элира: «ЦӀа а гӀой, хьайн цӀерачаьрга дийца Везачу Эло хьайна мел дика дина а, Цо хьайх мел боккха къинхетам бина а».</verse>
				<verse number="20">Оцу стага, дӀа а вахана, Иттшахьар-махкахь бехачу нахе Ӏийсас шена динчу доккхачу диканах лаьцна дийцира, ткъа массо а цецбуьйлура.</verse>
				<verse number="21">Ӏийса Шен мурдашца хинкеман тӀехь Ӏоман берда тӀе юхавеача, Цуьнга хьоьжуш дукха адам дара. Уьш Цунна гонах гулделира.</verse>
				<verse number="22">Оцу хенахь И волчу гуламан цӀа чохь куьйгалхо волу Яир веара. Ӏийса а гина, иза, Цуьнан когашка охьа а воьжна,</verse>
				<verse number="23">чӀогӀа дехар дан хӀоьттира: «Сан йоӀ леш ю. Доьху Хьоьга, ван а волий, цунна тӀе куьйгаш а дахкий, то а яй, дийна йисийтахьа иза», — бохуш.</verse>
				<verse number="24">Ӏийса Яирца дӀавоьдуш, Цунна тӀаьххье дукха адам дахара, Иза халла бен чекх а ца валалуш.</verse>
				<verse number="25">Царна юкъахь цхьа зуда а яра, шийтта шарахь цӀий ца соцуш, бала хьоьгуш йолу.</verse>
				<verse number="26">Дуккха а лоьраша гӀо дечу метта бала хьегийтинера оцу зудчуьнга. Амма лоьрашна шен долахь мел дерг а дойуш, алссам харж йича а, гӀоле хуьлучу метта, кхин а чӀагӀъеллера иза.</verse>
				<verse number="27">Ӏийсах лаьцна шена хезча, цо, адамашна юккъехула тӀехьашха Цунна тӀе а яхана, Ӏийсан бедарх куьг Ӏоьттира.</verse>
				<verse number="28">ХӀунда аьлча оцу зудчо ойла йинера: «Нагахь санна Цуьнан тӀера бедарх хьакхаелча а, со толур ю», — аьлла.</verse>
				<verse number="29">Оцу сохьта дӀаоьху цӀий а сецна, ша тоеллий хиира зудчунна.</verse>
				<verse number="30">Ткъа Ӏийсана сихха хааделира Шех ницкъ дӀакъаьстиний. Гонах долчу адамашкахьа а вирзина, Ӏийсас хаьттира: «Мила ву Сан бедарх куьг Ӏоьттинарг?» — аьлла.</verse>
				<verse number="31">Цуьнан мурдаша элира: «Хьайна тӀегӀоьртина оццул адам гушшехь, хоьтту-кх Ахь: „Мила ву Сох куьг Ӏоьттинарг?“»</verse>
				<verse number="32">Амма Ӏийса леррина гонах хьоьжура, и динарг мила ву те ган лууш.</verse>
				<verse number="33">ТӀаккха зудчо, шена хилларг хӀун ду а хиъна, дукха кхераяларна ега а еш, Ӏийсан когашка а йоьжна, дерриге а ма-дарра дӀадийцира Цуьнга.</verse>
				<verse number="34">Ткъа Ӏийсас элира зудчуьнга: «Сан йоӀ, хьан тешаро тойина хьо. Маьрша дӀагӀо хьайна, хӀинца чул тӀаьхьа кхин оцу цамгаро хьийзор яц хьо».</verse>
				<verse number="35">Ӏийса къамел дина а валале, гуламан цӀийнан куьйгалхочун Яиран цӀера геланчаш баьхкира. «Хьан йоӀ елла. Устазана хало ян ца оьшу», — элира цара.</verse>
				<verse number="36">Ткъа, цара дуьйцург а хезна, Ӏийсас Яире элира: «Кхера ма ло, амма теша».</verse>
				<verse number="37">Кипа а, Якъуб а, Якъубан ваша Яхьъя а бен, кхин цхьа а ца ваийтира Ӏийсас Шеца.</verse>
				<verse number="38">Уьш Яиран керта схьакхаьчча, Цунна доьхна а, чӀогӀа доьлхуш а адамаш гира.</verse>
				<verse number="39">ЦӀа чу ваьлча, Ӏийсас элира цаьрга: «Аша хӀун до доьхна а, доьлхуш а? ЙоӀ елла яц, иза йижина ю».</verse>
				<verse number="40">Ткъа адамаш Цунах дуьйлуш дара цадашарца. Ӏийсас массо а араваьккхира. Шеца йоьӀан да-нана а, цигахь волу кхо мурд а эцна, йоӀ йолчу чоьхьавелира Иза.</verse>
				<verse number="41">Ӏийсас, йоьӀан куьг схьа а лаьцна, элира: «ТалитӀа кхуми!» (иза «ЙоӀ, хьалагӀатта боху хьоьга!» — бохург ду).</verse>
				<verse number="42">И ма-элли, йоӀ, хьала а гӀаьттина, дӀайолаелира (иза шийтта шо кхаьчна йоӀ яра). Чохь берш чӀогӀа цецбевлла биснера.</verse>
				<verse number="43">Ӏийсас чӀогӀа тӀедиллира царна хилларг цхьаьнгге а цахаийтар. «ЙоӀана яа хӀума ло», — элира Цо цаьрга.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="6">
				<verse number="1">Оцу меттигера ара а ваьлла, Ша кхиинчу гӀала веара Ӏийса. Цуьнца Цуьнан мурдаш а бара.</verse>
				<verse number="2">Шоьтан де тӀедеача, гуламан цӀа чохь хьехамаш бан волавелира Иза. Дукхахболчара Ӏийсага ла а дугӀий, инзарбовларца а, шеконца а вовшашка хоьттура: «Мичахьара баьлла те Цунна и хьехам? И хӀун хьекъал ду те Цунна делларг, и инзаре хӀуманаш а хуьлуш Цуьнан куьйгашца.</verse>
				<verse number="3">Ша дечиган пхьар а волуш, оцу Якъубан а, Юшан а, ЯхӀудан а, ШамӀин а ваша а волуш, Мареман кӀант вац Иза? Кхузахь, вайна юкъахь, бац Цуьнан йижарий а?» Оцу нахана Иза къобалван ца лиира.</verse>
				<verse number="4">Ткъа Ӏийсас элира цаьрга: «Ша схьаваьллачу меттигехь а, шайчарна юкъахь а, шен цӀахь а бен ца хуьлу пайхамар наха ца лоруш».</verse>
				<verse number="5">Цигахь башха тамашийна хӀума ца даделира Ӏийсага, цхьаццаболчу цомгушчу нахана тӀе куьйгаш а дехкина, уьш тобар бен.</verse>
				<verse number="6">Ӏийса чӀогӀа цецвуьйлура оцу нехан цатешарх. ТӀаккха ярташкахула адамашна хьехамаш бан вахара Иза.</verse>
				<verse number="7">Шен шийтта векал тӀе а кхайкхина, уьш шишша а бекъна, царна харц жинашна тӀехь олалла дан бакъо а елла, уьш цхьаццанхьа дӀасахьажийра Ӏийсас.</verse>
				<verse number="8">Ткъа уьш дӀабуьйлалуш, Цо цаьрга элира: «Шайца хӀумма а схьа ма эца: я бепиг а, я тӀоьрмаг а, я юкъах дихкина ахча а, еккъа некъан Ӏаса йоцург.</verse>
				<verse number="9">Кога юьйхина мачаш а, шайна тӀехь йолу цхьа бедар а бен, сов хӀумма а ма хьуо».</verse>
				<verse number="10">Кхин а тӀетуьйхира Цо: «Шаьш дуьххьара даханчу цӀеношкахь саца, оцу гӀалара арадовллалц.</verse>
				<verse number="11">Нагахь санна шаьш цхьана меттигехь тӀе ца лацахь а, я ла ца догӀахь а, шаьш цигара дӀадоьлхуш, шайн когаш тӀера чан охьаегае. Шу тӀе ца эцначу нахана дуьхьал тоьшалла хир ду иза».</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха къинош летийнарш метта а бохкуьйтуш, Далла тӀеберзорхьама, кхайкхамаш а беш, дӀабуьйлабелира векалш.</verse>
				<verse number="13">Дуккха а нахана чуьра жинаш ара а дохуш, дуккха а цомгушчарна зайтдаьтта а хьокхуш, уьш тобира цара.</verse>
				<verse number="14">Ӏийсан цӀе дикка массанхьа а яьржина хиларна, ХӀарод-паччахьна а дӀахезира Цунах лаьцна. Цхьаболчара Ӏийсах лаьцна: «Иза веллачуьра денвелла нах хих чекхбоху Яхьъя ву, цундела Цо инзаре хӀуманаш до», — олура.</verse>
				<verse number="15">Вукхара олура: «Иза Эли-ЯхӀу-пайхамар ву». Ткъа кхозлагӀчара тоьшалла дора: «Иза, ширачу заманахьлера пайхамарех терра а волуш, цхьа пайхамар-м ву», — бохуш.</verse>
				<verse number="16">И шена хезча, ХӀарода элира: «Аса корта тӀера баккхийтина Яхьъя веллачуьра денвелла», — аьлла.</verse>
				<verse number="17">ХӀарода, шена йигна йолу, шен вешин Пилапан зуда ХӀародад бахьана долуш, омра динера, Яхьъя, схьа а лаций, набахти чу волла аьлла.</verse>
				<verse number="18">ХӀунда аьлча Яхьъяс аьллера ХӀароде, цо шен вешин зуда шена йигар Ӏедалехь нийса дац аьлла.</verse>
				<verse number="19">Цундела ХӀародад хьагӀ хилла яра Яхьъяна, иза вийна а, дӀаваккха лууш. Амма и дан цуьнан таро яцара,</verse>
				<verse number="20">хӀунда аьлча ХӀарод Яхьъях ийзалуш вара, иза бакъонца лелаш а, Дала вазвина а стаг вуй хууш. Цо иза лар а вора. Яхьъяс бечу кхайкхамашка там хиларца ладугӀура ХӀарода, цара шен гуттара а синтем бойушшехь.</verse>
				<verse number="21">Цкъа ХӀарода ша вина де даздечу дийнахь, доккха той хӀоттийра, пачхьалкхан а, тӀеман а хьаькамаш а, хьалдолу нах а кхайкхина.</verse>
				<verse number="22">Ткъа ХӀародадан йоӀ, юкъа а яьлла, халха яьлча, чӀогӀа там хиллера ХӀародана а, цуьнан хьешашна а. ТӀаккха ХӀарода оцу йоӀе элира: «Хьайна луъург еха соьгара, ахьа ехнарг аса дӀалур ю хьуна», — аьлла.</verse>
				<verse number="23">Цо, дуй биъна, чӀагӀо йира: «Хьуна лиънарг лур ю хьуна, ур-атталла сайн ах пачхьалкх а», — аьлла.</verse>
				<verse number="24">ЙоӀа, ара а яьлла, шен нене хаьттира: «ХӀун еха аса», — аьлла. Ткъа вукхо жоп делира: «Нах хих чекхбохучу Яхьъян корта беха», — аьлла.</verse>
				<verse number="25">ЙоӀа, сихха паччахьна тӀе а яхана, дийхира: «Ахьа хӀинцца шуьна чохь нах хих чекхбаьхначу Яхьъян корта балар лаьа суна», — аьлла.</verse>
				<verse number="26">Паччахьна и чӀогӀа новкъадеара, делахь а ша оцу хьешашна хьалха дуй биъна дела, цо дуьхьало ца йира оцу дехарна.</verse>
				<verse number="27">ХӀарода оцу сохьта чалтач вахийтира, цуьнга, Яхьъян корта тӀера а баккхий, схьаба аьлла, омра а дина. Вукхо вахана набахти чохь, Яхьъян корта а баьккхина,</verse>
				<verse number="28">схьа а беана, шуьна чохь йоӀе дӀакховдийра, ткъа йоӀа шен нене белира иза.</verse>
				<verse number="29">Яхьъян мурдашна иза хезча, цара баьхкина, цуьнан дегӀ схьа а эцна, къубба чу диллира.</verse>
				<verse number="30">Векалша юхабирзича, Ӏийсана гонах а хевшина, шаьш лелийначу гӀуллакхех а, шаьш нахана хьехначух а лаьцна дийцира Цуьнга.</verse>
				<verse number="31">Ӏийсас элира цаьрга: «Шуьга са а доӀуьйтуш, адам доцучу метте дӀадовла вай цхьаьна». ХӀунда аьлча уьш болчу меттехь чӀогӀа дукха нах бара, ур-атталла хӀума яа а меттиг ца йолуш.</verse>
				<verse number="32">Цундела уьш, нахах дӀа а къаьстина, хинкеман тӀехь цхьа а воцучу яьссачу метте бевлира.</verse>
				<verse number="33">Амма дукхахболу нах, хӀорш дӀабовлуш а гина, уьш бовзарна, массо а гӀаланашкара гул а белла, берд тӀехула бевдда, кхарал хьалхабевлира.</verse>
				<verse number="34">Ша хийисте хьалаваьлча, Ӏийсана адамийн йоккха тоба гира. Уьш Ӏу воцу уьстагӀех а тарбелла, царах чӀогӀа къахийтира Ӏийсана. ТӀаккха Иза оцу нахана дуккха а хьехамаш бан волавелира.</verse>
				<verse number="35">Де чаккхенга гӀерташ дара, цундела Цуьнан мурдаша, Ӏийсана тӀе а бахана, элира Цуьнга: «ХӀара меттиг яьсса а ю, вайна дикка хан а яьлла.</verse>
				<verse number="36">Шайна юург а оьцуш, юххерчу ярташка дӀабахийтахьа и нах».</verse>
				<verse number="37">Амма Ӏийсас жоп делира цаьрга: «Аша лур ю царна яа хӀума». Ткъа мурдаша элира Цуьнга: «Оха, дахана, массарна а ши бӀе динари ахчанах бепиг а эцна, иза дао-м ца деза царна?»</verse>
				<verse number="38">ТӀаккха Ӏийсас хаьттира цаьрга: «Маса бепиг ду шуьгахь? ГӀой, хьовсал». Бепиг маса ду а хиъна, цара элира: «Тхоьгахь пхи хьокхам а, ши чӀара а бу-кх».</verse>
				<verse number="39">ТӀаккха, и нах берриш а сийначу бай тӀе охьаховшабе аьлла, омра дира Ӏийсас мурдашка.</verse>
				<verse number="40">Уьш, бекъа а белла, бӀе а, шовзткъе итт а цхьаьна а болуш, охьахевшира.</verse>
				<verse number="41">Ткъа Ӏийсас и пхи хьокхам, ши чӀарий схьа а эцна, стигала хьала а хьаьжна, и кхача къобалбеш, доӀа дира. ТӀаккха и хьокхамаш дакъошка декъа а доькъуш, Шен мурдашка дӀакховдадора Цо. Вукхара и дакъош адамашна дӀадийкъира. ТӀаккха и ши чӀара а массарна бийкъира Цо.</verse>
				<verse number="42">Массара а яа а йиира, уьш буза а буьзира.</verse>
				<verse number="43">Кхин а дисинчу баьпкан дакъоша а, бисинчу чӀеро а шийтта тускар а дуьзира.</verse>
				<verse number="44">Ткъа юуш верг пхи эзар стаг вара.</verse>
				<verse number="45">Цу сохьта и нах Ша дӀахецаре а ца хьоьжуш, хинкеманна тӀе а хаийтина, Шел хьалха, Ӏоман дуьхьаларчу берда тӀе Бет-Саида-гӀала дӀабахийтира Ӏийсас Шен мурдаш.</verse>
				<verse number="46">Нах дӀа а хьажийна, доӀа дан лам тӀе хьалавелира Ӏийса.</verse>
				<verse number="47">Суьйре тӀееача, хинкема Ӏомана юккъехь дара, ткъа Ӏийса лам тӀехь Ша вара.</verse>
				<verse number="48">Хин тӀехь дуьхьал богӀу мох болу дела, мурдашна пийсакашца кема лело хала хилар гира Ӏийсана. ТӀаккха буьйсанна кхо сахьт даьллачул тӀаьхьа Иза хи тӀехула царна тӀе вахара. Ӏийса тӀехвала воллучу хенахь,</verse>
				<verse number="49">Иза хин тӀехула волавелла вогӀу а гина, мурдашна Иза гӀаларт ду а моттаделла, цара дукха кхерабаларна маьхьарий хьаькхира,</verse>
				<verse number="50">хӀунда аьлча царна массарна а гира Иза, уьш чӀогӀа кхера а белира. Цу сохьта Ӏийсас, вист а хилла, элира цаьрга: «Доьналла долуш хила! Со ву шуна иза! Ма кхера!»</verse>
				<verse number="51">ТӀаккха Иза цаьрца кеман тӀе а хиира, цу сохьта мох а сецира. Мурдаш чӀогӀа цецбевллера,</verse>
				<verse number="52">хӀунда аьлча хьалха баьпкаца хиллачу тамашийна хӀуманах а ца кхийтира уьш, дӀакъовладелла дара церан дегнаш.</verse>
				<verse number="53">Хин кеман тӀехь Ӏомал дехьа а бевлла, Гансарт-махка а кхаьчна, севцира уьш.</verse>
				<verse number="54">Уьш кеман тӀера охьабуьссушехь, нахана Ӏийса вевзира.</verse>
				<verse number="55">Цара, бевдда, сихонца дӀасабаржийра гонах Цунах лаьцна хаам. ТӀаккха Ӏийса миччахьа сецча а, Цунна тӀе меттахь болу цомгушнаш бало буьйлабелира.</verse>
				<verse number="56">Иза миччанхьа веача а, я ярташка а, я гӀаланашка а, адамаша шайн цомгушнаш майданна тӀе а балабой, чӀогӀа доьхура Ӏийсага, Шен бедаран юьхах мукъана а хьакхадалийтахьара шаьш бохуш. Ткъа Цунах хьакха мел велларг, цамгарх то а лой, дӀахӀуттура.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="7">
				<verse number="1">Ярушалаймера баьхкина парушхой а, масех Ӏелам стаг а вара Ӏийсана гонах гулвелла.</verse>
				<verse number="2">Цуьнан цхьаболчу мурдаша, куьйгаш цӀандар а доцуш, хӀума юуш гира царна. Ткъа Далла гергахь иза боьха лорура цара.</verse>
				<verse number="3">ХӀунда аьлча, хьалхалера Ӏедале а доьгӀна, парушхоша а, массо а кхечу жуьгташа а, церан Ӏедалехь ма-бохху, куьйгаш цӀандиний бен хӀума ца йоу.</verse>
				<verse number="4">Ткъа шаьш базарара еана хӀума а шатайпана цӀанйиний бен ца йоу. Кхин долу а дуккха а Ӏадаташ леладора цара, масала, кедаш а, гӀумгӀанаш а, йоьза кхабанаш а, мотт-гӀайбеш а цӀанъяр тӀехь.</verse>
				<verse number="5">Цундела парушхоша а, Ӏелам наха а хаьттира Ӏийсага: «Хьан мурдаша, вайн дайша лелийна Ӏадаташ хӀунда ца лору, куьйгаш цӀан а дина, хӀунда ца йоу цара хӀума?» — аьлла.</verse>
				<verse number="6">Ӏийсас элира цаьрга: «Нийса хилла ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамар, ша Делера болу хаам беш. Шух, шалхо лелочарех, яздина ма-хиллара: „ХӀокху адамаша Со багахь лору, ткъа церан дегнаш Суна дукха генахь ду.</verse>
				<verse number="7">Церан ларамах пайда бац, хӀунда аьлча церан хьехамаш Делера бац, уьш адамаша кхоьллина бу“.</verse>
				<verse number="8">Аша, адамийн Ӏадаташ схьа а лаьцна, Дала тӀедехкинарш ца лору».</verse>
				<verse number="9">Кхин а Ӏийсас элира цаьрга: «Шуна хьекъале ду моьтту, Дала тӀедехкинарш а ца лоруш, шайн Ӏадаташна тӀаьхьахӀоттар.</verse>
				<verse number="10">Муса-пайхамаро ма аьлла: „Хьайн дай-наний лара“, ткъа „Шен дена я нанна неӀалт аьлларг вен веза“.</verse>
				<verse number="11">Амма, нагахь стага шен дега-нене: „Сан шуна гӀо дан йиш яц, хӀунда аьлча шуна лерина хилларг ‘кхурбан’ дӀало“ (иза арамхойн маттахь „Далла лерина совгӀат“ бохург ду), — аьлча,</verse>
				<verse number="12">дена-нанна дан дезачух иза кӀелхьарволу бохуш, чӀагӀдо аша.</verse>
				<verse number="13">Делан Дош а ца лоруш, шайн дайша делла Ӏадат лору аш. И тайпа хӀуманаш дукха леладо аша».</verse>
				<verse number="14">ТӀаккха юха а, нах Шена тӀе а кхайкхина, Ӏийсас элира: «ЛадогӀа Соьга массара а, дӀа а лоцуш.</verse>
				<verse number="15">Адамна чу яханчу цхьанна а хӀумано Далла гергахь бехвийр вац стаг. Амма адаман даг чуьра арадолучу сийсазчу хӀумано бехвийр ву иза».</verse>
				<verse number="16">***</verse>
				<verse number="17">Нах а битина, Ӏийса цӀа чу ваьлча, мурдаша оцу дустарх лаьцна хаьттира Цуьнга.</verse>
				<verse number="18">Ткъа Ӏийсас жоп делира: «Шу а ду те иштта ца кхеташ? Шуна ца го, адамо дууш долчу цхьанна а хӀумано, Далла гергахь бехван йиш йоцийла?</verse>
				<verse number="19">ХӀунда аьлча и тӀеоьцу хӀума, дагах а ца кхеташ, кийрара хьерана чу а йоьдий, тӀаккха чуьра арайолу». (Иштта, юуш йолу хӀума ерриге а Далла гергахь цӀена хилар хаийтира Ӏийсас.)</verse>
				<verse number="20">Кхин а тӀетоьхна элира Цо: «Ткъа адамна чуьра арадолучо иза Далла гергахь бехво.</verse>
				<verse number="21">ХӀунда аьлча кийрара адамийн дегнаш чуьра ца оьшу вон ойланаш а арайовлу, нахаца лелар а, къола дар а, вер а,</verse>
				<verse number="22">ямартло а, ша-шен везар а, мекаралла а, Ӏехор а, лело ца дезарг лелор а, хьегар а, доцург кхоллар а, ша лакхара ларар а, кхетам бацар а.</verse>
				<verse number="23">И дерриге а зулам адамна чуьра ара а долий, цо стаг Далла гергахь бехво».</verse>
				<verse number="24">И меттиг а йитина, Цора олучу гӀалин юххерчу меттигашка вахара Ӏийса. Ша цӀа чу волуш, цхьанна а ца хоуьйтуш ваха лиира Ӏийсана, делахь а хьулвалар ца хилира Цуьнан.</verse>
				<verse number="25">Харцжинаша йоӀ хьийзош йолчу цхьана зудчунна хааделира Ӏийса вар, оцу сохьта схьа а еана, Цуьнан когашка юьйжира и зуда.</verse>
				<verse number="26">Иза Сирийпиникера схьаяьлла йолу грекахо яра. Цо чӀогӀа дехар дира Ӏийсага, шен йоӀана чуьра жин арадаккхахьара аьлла.</verse>
				<verse number="27">Ӏийсас элира цуьнга: «Цкъа хьалха бераш дузадайта, хӀунда аьлча нийса а хир дац берашкара юург, схьа а яьккхина, жӀаьлешна тасар».</verse>
				<verse number="28">Амма зудчо жоп делира Ӏийсага: «Эла, ур-атталла жӀаьлеша а ма доу стоьла кӀел бераша эгийна цуьргаш».</verse>
				<verse number="29">ТӀаккха Ӏийсас элира цуьнга: «Ахьа иштта жоп даларна маршонца цӀа яха мегар ду хьо. Жин арадаьлла хьан йоӀана чуьра».</verse>
				<verse number="30">Ша цӀа йирзича, жин чуьра ара а даьлла, меттахь йижина Ӏаш карийра зудчунна шен йоӀ.</verse>
				<verse number="31">Цора-гӀалина гонахьара меттигашкара ЦӀаданехула а, Иттшахьар-махкахула а Галилай-Ӏомана тӀе веара Ӏийса.</verse>
				<verse number="32">Къора а волуш, лер доьхна а волу стаг Ӏийсана тӀе а валийна, цара дехарш дира, цунна тӀе куьйгаш дахкахьара аьлла.</verse>
				<verse number="33">И стаг схьа а къастийна, жимма дехьа а ваьккхина, цуьнан лергаш чу Шен пӀелгаш дехкира Ӏийсас. ТӀаккха, туй а хьаькхна, цуьнан маттах Ӏотта а велла,</verse>
				<verse number="34">стигала а хьаьжна, доккха са а даьккхина, Ӏийсас элира цуьнга: «Эппатхьа!» (иза «дӀаделлало» бохург ду).</verse>
				<verse number="35">Оцу сохьта вукхунна хаза а хезира, цуьнан мотт дӀа а бастабелла, цӀенна хабар дийца а волавелира иза.</verse>
				<verse number="36">Ӏийсас чӀогӀа тӀедиллира царна, цхьаьнгге а хиллачух лаьцна цадийцар, амма Цо чӀогӀа мел дихки а, уггаре а дукха дуьйцура цунах лаьцна.</verse>
				<verse number="37">Адамаш чӀогӀа инзардаьлла дара, цара олура: «Цо дерриге а дика до. Ур-атталла ца хезачарна хаза а хозуьйту, мотт сецначаьрга хабар а дуьйцуьйту».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="8">
				<verse number="1">Иштта цхьана дийнахь дукха адам гулделлера Ӏийса волчу, ткъа царна яа хӀума яцара. Ӏийсас, Шен мурдаш тӀе а кхайкхина, элира цаьрга:</verse>
				<verse number="2">«Суна къахета оцу нахах, хӀунда аьлча кхо де а ду уьш Соьца болу, ткъа царна яа хӀума яц.</verse>
				<verse number="3">Аса меца дӀабахийтича, новкъахь гӀеллур бу уьш, хӀунда аьлча царах цхьаберш геннара баьхкина бу».</verse>
				<verse number="4">Цуьнан мурдаша жоп делира: «ХӀара адам дузо иштта яьссачу меттехь мичахь карор ду оццул бепиг?»</verse>
				<verse number="5">Ӏийсас хаьттира цаьрга: «Маса бепиг ду шуьгахь?» — аьлла. «ВорхӀ ду», — аьлла, жоп делира цара.</verse>
				<verse number="6">ТӀаккха оцу нахе лаьтта охьаховша а аьлла, и ворхӀ бепиг схьа а эцна, Деле хастаман доӀа а дина, бепиг каг а деш, Шен мурдашка кховдадора Ӏийсас, ткъа вукхара иза нахана доькъура.</verse>
				<verse number="7">Иштта масех жимо чӀара а бара цаьргахь, уьш а, декъалбина, бекъийтира Ӏийсас.</verse>
				<verse number="8">Наха шаьш буззалц хӀума йиира. Дисинчу дакъоша ворхӀ тускар дуьзира.</verse>
				<verse number="9">Ткъа гулделла адам диъ эзар кхоччуш дара. Цул тӀаьхьа Ӏийсас нах дӀабахийтира,</verse>
				<verse number="10">ткъа Ша, сихха Шен мурдашца хинкеман тӀе а хиъна, ДалманутӀа олучу меттигна юххехьа веара.</verse>
				<verse number="11">Цигахь парушхой, тӀе а баьхкина, Ӏийсаца къийса буьйлабелира. Стигалара тамашийна билгало гайта аьлла дехар дира цара Ӏийсага, Иза зерхьама.</verse>
				<verse number="12">Доккха са а даьккхина, Ӏийсас элира: «Тамашийна билгало гайтар хӀунда доьху аш Соьга? Баккъалла а боху шуьга, тамашийна билгало гойтур яц Ас шун тайпанна а».</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха, уьш Ӏад а битина, юха а Шен мурдашца хинкеманна тӀе а хиъна, Ӏоман дуьхьаларчу берда тӀе вахара Ӏийса.</verse>
				<verse number="14">Оцу хенахь мурдашна шайна яа хӀума схьаэца дицделлера, хинкеман тӀехь долу цхьа бепиг бен хӀумма а яцара цаьргахь.</verse>
				<verse number="15">Ӏийсас дӀахаийтира цаьрга ишттачу дешнашца: «Хьовсалаш! Парушхойн а, ХӀародан а муьстачу бедах ларлолаш».</verse>
				<verse number="16">ТӀаккха мурдаш вовшашлахь дагабуьйлуш бара, и бохург хӀун ду те бохуш. «Вайгахь бепиг доцу дела боху хьуна Цо вайга иштта», — бохура цара вовшашка.</verse>
				<verse number="17">Цара стенах лаьцна дуьйцу хууш волчу Ӏийсас элира цаьрга: «Стенна дуьйцу аша, шайгахь бепиг дац бохуш? ХӀинца а ца го те шуна, кхета а ца кхета те шу? Дегнаш оццул шагделла те шун?</verse>
				<verse number="18">БӀаьргаш боллушехь, ца го те шуна? Ткъа лергаш доллушехь, ца хеза те шуна? Дага ца догӀу те шуна,</verse>
				<verse number="19">маса тускар дуьззина баьпкан юьхкаш гулйира аша, Аса пхи бепиг пхи эзар стагана доькъучу хенахь?» «Шийтта тускар дара», — жоп делира мурдаша.</verse>
				<verse number="20">«Ткъа Аса ворхӀ бепиг виъ эзар стагана декъча, дуьззина маса тускар юьхкаш гулйира аша?» «ВорхӀ», — жоп делира цара.</verse>
				<verse number="21">ТӀаккха Цо хаьттира цаьрга: «ХӀинца а ца кхета те шу?» — аьлла.</verse>
				<verse number="22">Уьш Бет-Саида-гӀала кхечира. Цигахь Ӏийсана тӀе бӀаьрса дайна стаг а валийна, цунах Ӏотталахьара аьлла, дийхира Цуьнга.</verse>
				<verse number="23">Ӏийсас и стаг, куьг а лаьцна, юьртах араваьккхира. ТӀаккха цуьнан бӀаьргаш тӀе туй а хьаькхна, стагана тӀе Шен куьйгаш а дехкина, хаьттира: «ХӀумма а гой хьуна?» — аьлла.</verse>
				<verse number="24">Стага, хьала а хьаьжна, элира: «Суна уллохула чекхдовлуш адамаш го. Уьш диттех тера ду».</verse>
				<verse number="25">ТӀаккха Ӏийсас Шен куьйгаш стеган бӀаьргашна тӀе дехкира, вукхо бӀаьргаш шуьйра дӀабиллира, цунна бӀаьрса а деъна, юха а дика ган а гуш, дӀахӀоьттира иза.</verse>
				<verse number="26">ТӀаккха Ӏийсас и стаг цӀа вахийтира: «Юьрта чу ма гӀолахь», — олуш.</verse>
				<verse number="27">Цул тӀаьхьа Ӏийса Шен мурдашца Пилап-паччахьан гӀалин гонахарчу ярташка воьду. Новкъахь Цо Шен мурдашка хаьттира: «Со мила ву олу наха?» — аьлла.</verse>
				<verse number="28">Цара жоп делира: «Цхьаболчара Хьо нах хих чекхбоху Яхьъя ву олу, ткъа вукхара — Эли-ЯхӀу-пайхамар ву боху, кхозлагӀчара тоьшалла до, Хьо пайхамарех цхьаъ ву бохуш».</verse>
				<verse number="29">ТӀаккха Ӏийсас хаьттира: «Ткъа аша хӀун боху, Со мила ву боху аша?» Кипас жоп делира Цунна: «Хьо Дала леррина Къобалвинарг ву-кх», — аьлла.</verse>
				<verse number="30">ТӀаккха Ӏийсас Шех лаьцна цхьаьнгге а дийцар дихкира мурдашна.</verse>
				<verse number="31">Цул тӀаьхьа царна хьехамаш бан волавелира Ӏийса. Цо дийцира Адамийн КӀентан дукха баланаш лан дезарх лаьцна а, баккхийчара а, динан коьртачу дайша а, Ӏеламчу наха а тӀе ца лаьцна хила дезарх а, Иза вен везарх а, амма кхозлагӀчу дийнахь денвала везарх а.</verse>
				<verse number="32">Ӏийсас, лечкъа а ца деш, дӀадийцира цаьрга цунах лаьцна. Ткъа Кипас, Иза юьстах а ваьккхина: «Ишттаниг дийца а ма дийца», — элира.</verse>
				<verse number="33">Амма Ӏийсас, юха а вирзина, Шен мурдашка а хьаьжна, буьрса жоп делира Кипе: «ДӀадала Суна уллора, иблис! Хьан даг чохь Делан ойланаш яц, адамийн ойланаш ю».</verse>
				<verse number="34">ТӀаккха, нах а, Шен мурдаш а тӀе а кхайкхина, Цо элира цаьрга: «Соьца ван луург, шен „со“ бохург дӀа а теттина, шен баланийн мохь тӀе а лаьцна, Суна тӀаьхьахӀотта веза.</verse>
				<verse number="35">ХӀунда аьлча шен са кӀелхьардаккха лууш верг сих вер ву, амма Сан а, Делера болу хазачу кхоан а дуьхьа шен са дӀалучо иза кӀелхьардоккхур ду.</verse>
				<verse number="36">ХӀунда аьлча хӀун пайда бу адамна, хӀара дерриге а дуьне карахь хилча а, иза шен сих волуш хилча.</verse>
				<verse number="37">Ткъа хӀун делча, шен са юхадерзалур ду адаме?</verse>
				<verse number="38">Амма хӀокху Делах тешар а доцуш, къинойх дуьзначу дуьнен чохь, нагахь санна Сох а, Сан дешнех а эхь хетахь, Со а, Адамийн КӀант, дӀавоьрзур ву цу стагах, Сайн Ден олаллин нуьраца Делан маликашца схьавеача».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="9">
				<verse number="1">ТӀаккха кхин а элира Ӏийсас: «Аса баккъалла а боху шуьга: шуна юкъарчу цхьаболчарна шаьш кхалхале Делан Олалла гур ду шен мел болчу ницкъаца».</verse>
				<verse number="2">Ялх де даьлча, Шеца Кипа, Якъуб, Яхьъя бен кхин цхьа а ца вуьгуш, Ӏийса лекхачу лам тӀе велира. Цигахь, царна хьалххахь, Дала Цуьнан амат хийцира.</verse>
				<verse number="3">Цунна тӀера духар бӀаьрг тӀе а ца хӀуттуш кӀайделира, хӀокху лаьтта тӀехь хӀуманаш юьттучу цхьана а стага кӀайдийр доцучу тайпана.</verse>
				<verse number="4">Церан бӀаьрг кхийтира Ӏийсаца къамел деш волчу Эли-ЯхӀу-пайхамарххий, Муса-пайхамарххий.</verse>
				<verse number="5">Кипас, Ӏийсагахьа а вирзина, элира: «Устаз! Ма дика Ӏа вай кхузахь, кхо кхалор ей вай: цхьаъ Хьуна, цхьаъ Мусана, цхьаъ Эли-ЯхӀуна».</verse>
				<verse number="6">Кипас элира и, ша хӀун эр ду а ца хиъна, хӀунда аьлча мурдаш чӀогӀа кхерабеллера.</verse>
				<verse number="7">Ткъа цу хенахь, марха тӀе а еана, уьш дӀахьулбелира цуьнан ӀиндагӀехь, мархашна юкъара аз хезира: «ХӀара ву Суна дукхавезаш волу Сан КӀант. Цуьнга ладогӀа!» — аьлла.</verse>
				<verse number="8">Цу сохьта, уьш шайна гонах хьаьжча, царна юххехь кхин цхьа а ца гира, Ӏийса воцург.</verse>
				<verse number="9">Уьш лам тӀера охьабуьссучу хенахь, Ӏийсас царна тӀедиллира, шайна гиначух лаьцна цхьаьнгге а ца дийцар, Адамийн КӀант веллачуьра денваллалц.</verse>
				<verse number="10">Мурдаша хилларг къайладаьккхира, амма вовшашлахь цара хоьттура: «Веллачуьра денвалар хӀун ду те?»</verse>
				<verse number="11">Цара хаьттира Ӏийсага: «Хьалха Эли-ЯхӀу-пайхамар ван веза хӀунда олу те Ӏелам наха?»</verse>
				<verse number="12">Ӏийсас жоп делира царна: «ХӀаъ, хьалха билггала Эли-ЯхӀу-пайхамар ван веза, массо а хӀуманна тӀехь низам хӀотторхьама. Ткъа Адамийн КӀантах лаьцна яздина хӀунда ду, Цо дуккха а баланаш хьоьгур бу, Иза сийсаз а вийр ву аьлла?</verse>
				<verse number="13">Амма Ас боху шуьга, Эли-ЯхӀу-пайхамар цкъа веанера, цунна а шайна луъург дира, цунах лаьцна яздина ма-хиллара».</verse>
				<verse number="14">Уьш шайн бисинчу мурдашна тӀе юхабирзича, царна гонах йоккха тоба а, цаьрца къуьйсуш лаьтташ Ӏелам нах а гира ӀийсагӀарна.</verse>
				<verse number="15">Цу сохьта, Ӏийса а гина, массо а адам цецдаларца тӀехьаьдира, Цуьнга маршалла хаттархьама.</verse>
				<verse number="16">Ӏийсас хаьттира цаьрга: «ХӀун къуьйсу аш цаьрца?» — аьлла.</verse>
				<verse number="17">Тобанна юкъара цхьана стага жоп делира Цуьнга: «Устаз! Сайн кӀант валийна аса Хьуна тӀе. Иза мотт сацочу жино хьийзаво.</verse>
				<verse number="18">И жин тӀе а кхоссалой, и кӀант цо лаьттах тоьхча, цуьнан бетах чопа а хӀуттий, цергаш а хьекхош, Ӏада а вой, вуьсу иза. Хьан мурдашка и жин арадаккхар дехнера аса, амма цаьрга иза дан ца дели».</verse>
				<verse number="19">ТӀаккха Ӏийсас элира, цаьргахьа а вирзина: «Ва тешар доцу тукхам! Мел хир ву техьа Со шуна юкъахь? Мел лан деза техьа Аса шу? Схьавалаве иза Суна тӀе».</verse>
				<verse number="20">КӀант Ӏийсана тӀе валийра. Ӏийса гича, жино кӀантана лазар а даийтина, иза охьатуьйхира. Ткъа важа, лаьтта охьа а воьжна, керча а керчаш, багара чопа а оьхуш дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="21">ТӀаккха Ӏийсас хаьттира цуьнан дега: «Мел хан ю цунна иза хуьлуш долу?» «Беран хенахь дуьйна», — элира дас.</verse>
				<verse number="22">«Дукхазза а жино цӀерга а, хи чу а кхоьссина иза, верхьама. Нагахь Хьайга хӀуъа а цхьа хӀума далур делахь, тхох къинхетам бай, гӀо дехьа тхуна».</verse>
				<verse number="23">Ӏийсас жоп делира цунна: «Дан лур делахь?! — Дерриге а далур ду Делах тешаш волчунна».</verse>
				<verse number="24">КӀентан дас, мохь а хьоькхуш, элира: «Со баккъалла а теша! Со цатешарна, теша гӀо дехьа суна!»</verse>
				<verse number="25">Шайна сихха тӀейогӀуш йолу адамийн тоба а гина, Ӏийсас жине элира: «Аса омра до хьоьга: ара а далий, кхин цкъа а хӀокхунна чу ма дола!» — аьлла.</verse>
				<verse number="26">Ткъа жин, мохь а хьокхуш, кӀентан пхенаш чӀогӀа ийза а дойтуш, цунна чуьра араделира. КӀант, велча санна, Ӏуьллуш вара, цундела дукхахболчара бохура: «Иза велла».</verse>
				<verse number="27">Ткъа Ӏийсас, кӀентан куьг а лаьцна, цунна хьалагӀатта гӀо дира.</verse>
				<verse number="28">Цул тӀаьхьа, Ӏийса цӀа чу ваьлча, Иза Ша волуш, мурдаша хаттар дира Цуьнга: «Тхоьга хӀунда ца даккхаделира те и жин ара?» — аьлла.</verse>
				<verse number="29">«И тайпа жинаш доӀанца бен, кхечу тайпана даккхалур долуш дацара», — аьлла, жоп делира Ӏийсас цаьрга.</verse>
				<verse number="30">Цигара ара а бевлла, Галилай-махкахула бахара уьш. Цхьанна а шаьш догӀий хаа ца лаьара Ӏийсана,</verse>
				<verse number="31">Шен мурдашца цхьаьна а висина, царна хьехамаш бархьама. Ӏийсас олура цаьрга: «Адамийн КӀант, нехан кара а велла, вуьйр ву, ткъа кхозлагӀчу дийнахь Иза денлур ву».</verse>
				<verse number="32">Амма мурдаш ца кхийтира оцу дешнех, ткъа хатта уьш кхоьрура.</verse>
				<verse number="33">Уьш Къапарнаме баьхкира. Ӏийса цӀа чохь волуш Цо хаьттира мурдашка: «Новкъахь догӀуш стенах лаьцна дуьйцуш дара шу?» — аьлла.</verse>
				<verse number="34">Амма уьш бист а ца хилира, хӀунда аьлча уьш новкъа богӀучу хенахь цара вовшашлахь дийцинарг шайх уггаре лакхарниг муьлха ву те бохург дара.</verse>
				<verse number="35">ТӀаккха Ӏийсас, охьа а хиъна, Шен шийтта мурд тӀе а кхайкхина, элира цаьрга: «Нагахь санна шух цхьанна хьалхара хила лаахь, иза массарал а тӀаьхьара хила веза, массеран а ялхо а хуьлуш».</verse>
				<verse number="36">Бер схьа а эцна, иза царна юккъе дӀа а хӀоттийна, мара а доьллина, мурдашка элира Цо:</verse>
				<verse number="37">«Сан дуьхьа оцу кегийчу берех цхьаъ тӀеэцначо Со а тӀеоьцу. Ткъа Со тӀеоьцучо, Со тӀеэцна а ца Ӏаш, Со Ваийтинарг а тӀеоьцу».</verse>
				<verse number="38">Яхьъяс элира Ӏийсага: «Устаз! Вайна юкъара воццушехь а, Хьан цӀарах жинаш арадоху цхьа стаг гира тхуна. И вайх цхьаъ воцу дела, иза сацо гӀиртира тхо».</verse>
				<verse number="39">Ӏийсас элира: «Сеца ма ве аш иза, хӀунда аьлча, цхьаммо а Сан цӀарах Ӏаламаташ а деш, гергарчу хенахь Сох лаьцна вониг дуьйцур дац,</verse>
				<verse number="40">хӀунда аьлча вайна дуьхьал воцург вайца ву.</verse>
				<verse number="41">Ткъа шу Дала леррина Къобалвинчунна тӀаьхьа хӀиттина долу дела, шуна хин кад луш волчунна, билггала боху Аса, шена догӀург дӀакхочур ду».</verse>
				<verse number="42">«Амма, хӀокху Сох тешаш болчу лахара болчех цхьаьнга цхьаммо къа латадайтича, цунна гӀоле яра, шен коча хьеран тӀулг а оьллина, ша хӀорда чу кхоссийтича.</verse>
				<verse number="43">Нагахь санна хьан куьйго хьоьга къа латадойтуш делахь, и куьг тӀера даккха — заьӀап а волуш, Далла гергахь вахар гӀоле ю, ши куьг а долуш, жоьжахате воьдучул, цкъа а йовр йоцучу цӀергахь а вогуш.</verse>
				<verse number="44">***</verse>
				<verse number="45">Нагахь санна хьан кого хьоьга къа латадойтуш делахь, иза а дӀабаккха тӀера. Ког а боцуш Далла гергахь вахар гӀоле ю, ши ког а болуш жоьжахате кхуссуьйтучул.</verse>
				<verse number="46">***</verse>
				<verse number="47">Ткъа нагахь хьан бӀаьрго хьоьга къа латадайтахь, чуьра баккха иза. Делан Олалла тӀе а лаьцна, Цунна юххехь цхьана бӀаьргаца вахар а гӀоле ю, ши бӀаьрг а болуш ша жоьжахате кхуссуьйтучул,</verse>
				<verse number="48">цу чохь „уьш бууш болу нӀаьна а лийр бац, уьш багош йолу цӀе дӀа а йойур яц“.</verse>
				<verse number="49">ХӀунда аьлча Дала цӀергахь цӀанваран баланах цхьа а вер вац, адам дахчорхьама.</verse>
				<verse number="50">Туьха дика хӀума ю, амма цуьнан чам дӀабаьлча, иза юха дуьра стен дийр ду? Шайна чуьра туьхан чам ма байа, вовшашца бертахь а Ӏе».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="10">
				<verse number="1">И мохк а битина, ЯхӀуд-махка Йордан тӀехьа дӀаволавелира Ӏийса. Юха а адамийн тобанаш йогӀура Цунна тӀе, ткъа гуттар а санна Ӏийсас царна хьехамаш бора.</verse>
				<verse number="2">Масех парушхочо, Цунна тӀе а веана, Иза зуьйш, хаьттира Цуьнга: «Бакъонехь нийса дуй стага зуда дӀаяхийтар?» — аьлла.</verse>
				<verse number="3">Ӏийсас жоп делира цаьрга: «Муса-пайхамаро муха тӀедиллина шуна?»</verse>
				<verse number="4">Цара элира: «Мусас бакъо елла майрачунна, дӀасакъастарх лаьцна йозанца дина долу тоьшалла а яздина, зуда йита».</verse>
				<verse number="5">Ӏийсас элира цаьрга: «И шуна тӀедиллинарг Мусас дӀаяздина, шун дегнаш къиза долу дела.</verse>
				<verse number="6">Амма Дала дуьне кхуллучу хенахь, „Цо и шиъ стаггий, зудий кхоьллина“.</verse>
				<verse number="7">„Иза бахьана долуш, шен дай-наний а дитина, стаг шен зудчуьнца цхьаьнакхетар ву.</verse>
				<verse number="8">ТӀаккха и шиъ цхьаъ хир ду“. ХӀинца уьш шиъ доцуш, цхьаъ санна долу дела,</verse>
				<verse number="9">цхьаммо а къаста ма дойла Дала цхьаьнатоьхнарг!»</verse>
				<verse number="10">ТӀаьхьо, уьш цӀа чохь болчу хенахь, мурдаша юха а цунах лаьцна хаттар дира Ӏийсага.</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха Ӏийсас жоп делира: «Шен зуда а йитина, кхин зуда ялорг ямартло еш ву.</verse>
				<verse number="12">Ткъа зуда, майрачух дӀа а къаьстина, кхечуьнга маре йоьдуш елахь, иза а нахаца лелаш ю».</verse>
				<verse number="13">Ӏийсага куьг тӀедиллийтархьама бераш далийра Цунна тӀе, амма мурдаша тӀе ца дуьтура уьш.</verse>
				<verse number="14">Иза гиначу Ӏийсас, оьгӀаз а вахана, элира цаьрга: «ХӀара бераш тӀедахкийта Суна, царна дуьхьало ма е, хӀунда аьлча Делан Олалла тӀелаьцнарш уьш санна бу.</verse>
				<verse number="15">Билггала боху шуьга: беро санна, Делан Олалла тӀе ца лоцуш верг цкъа а Делаца хир вац».</verse>
				<verse number="16">ТӀаккха, и бераш мара а доьхкина, царна тӀе куьйгаш а дехкина, уьш декъалдира Ӏийсас.</verse>
				<verse number="17">Ӏийса новкъа волучу хенахь, цхьа стаг тӀеведира Цунна. Гора а вахана, цо хаьттира Ӏийсага: «Дика Устаз! Дела волчохь цкъа а чекхдер доцу дахар кхачийтархьама ас хӀун дан деза те?»</verse>
				<verse number="18">Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Сох „дика“ хӀунда олу ахьа? Цхьа а вац дика, цхьа Дела воцург.</verse>
				<verse number="19">Дала тӀедехкина гӀуллакхаш хьуна хууш ма ду: „Адам а ма де, нахаца а ма лела, къола а ма де, харц тоьшалла а ма де, хӀилла а ма леладе, дай-наний а лара“?»</verse>
				<verse number="20">Оцу стага элира Ӏийсага: «Устаз, беран хенахь дуьйна и дерриг а кхочушдеш, схьавогӀуш ву со».</verse>
				<verse number="21">Ӏийсас, цуьнга хьажа а хьаьжна, и везавелла элира: «Цхьа хӀума юкъахдитина ахьа. Хьайн долахь мел дерг дӀа а дохкий, къечарна дӀасадекъа, тӀаккха стигалахь жовхӀар хир ду хьан. Цул тӀаьхьа, схьа а волий, Суна тӀаьхьахӀотта».</verse>
				<verse number="22">Амма и дешнаш ма-хеззи, и стаг юьхь тӀехь хийца а велла, гӀайгӀане а воьжна, дехьавелира, хӀунда аьлча иза чӀогӀа хьал долуш вара.</verse>
				<verse number="23">Ӏийсас, гонах а хьаьжна, элира Шен мурдашка: «Мел хала ду-кх хьалдолчу стагана, Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь хила!»</verse>
				<verse number="24">Мурдаш цецбевллера Цуьнан дешнех, амма Ӏийсас юха а элира цаьрга: «Сан бераш, мел хала хир ду-кх хьалдолчунна, Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь хила.</verse>
				<verse number="25">Эмкална а механ Ӏуьргахула чекхъяла атта ду, хьалдолчунна, Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь хуьлучул».</verse>
				<verse number="26">Ткъа мурдаш, кхин тӀе а цецбевлла, вовшашка хоьттуш бара: «ТӀаккха кӀелхьара мила ваккхалур ву те?» — бохуш.</verse>
				<verse number="27">Цаьрга а хьоьжуш, Ӏийсас элира: «Иза адамашка далур долуш хӀума дац, амма Деле далур ду, Дела дерриге а дан ницкъ болуш волу дела».</verse>
				<verse number="28">Кипас элира тӀаккха Цуьнга: «Хьажахьа! Дерриге Ӏадда а дитина, Хьуна тӀаьхьа хӀиттина-кх тхо».</verse>
				<verse number="29">Ӏийсас жоп делира: «Баккъалла а боху шуьга: массарна а шайн цӀа а, я вежарий-йижарий а, я да а, нана а, я шайн латта а Сан дуьхьа а, хазачу кхоан дуьхьа а дитинчарна</verse>
				<verse number="30">бӀозза сов лур ду цӀенош а, вежарий а, йижарий а, наной а, берашший а, латтий а. Цаьрца цхьаьна ницкъ хилар а хир ду царна, ткъа тӀейогӀучу хенахь Дела волчохь цкъа а хедар доцу дахар а хир ду.</verse>
				<verse number="31">Амма хӀинца хьалхе йоккхуш болу дукхахберш тӀаьхьара хир бу, ткъа тӀаьхьарнаш хьалхара хир бу».</verse>
				<verse number="32">Уьш кхин дӀа а Ярушалайме дӀабахара. Ӏийса хьалхаваьлла вогӀура, ткъа цецбевлла мурдаш а, нах а кхерамца Цунна тӀаьхьа хӀиттина боьлхура. Ӏийсас юха а, Шен шийтта мурд юьстах а ваьккхина, Шех хиндерг дийцира царна:</verse>
				<verse number="33">«ЛадогӀалаш! Вай Ярушалайме доьлхуш ду, цигахь Адамийн КӀант динан коьрта дайн а, Ӏелам нехан а кара лур ву, тӀаккха цара Цунна вен кхел а йийр ю, Иза кхечу къаьмнийн нехан кара дӀа а лур ву.</verse>
				<verse number="34">Цара хьийзор а ву, шеташ а кхуьйсур ю Цунна тӀе, шед еттар а ю, вуьйр а ву, амма кхозлагӀчу дийнахь Иза денлур ву».</verse>
				<verse number="35">ТӀаккха Зевадин шина кӀанта Якъуба а, Яхьъяс а, Ӏийсана тӀе а вахана, элира: «Устаз! Тхан дехар кхочушдан лаьар-кх тхуна Ахьа».</verse>
				<verse number="36">«Ткъа Ас хӀун дан лаьара шуна?» — элира Ӏийсас.</verse>
				<verse number="37">Цара жоп делира: «Хьан олаллин нуьрехь Хьуна юххехь хилийтахь тхо, цхьаъ Хьан аьтту агӀор, важа аьрру агӀор», — аьлла.</verse>
				<verse number="38">Амма Ӏийсас элира цаьрга: «Шаьш хӀун доьху а ца хаьа шуна. Ас молу къаьхьа кад малалур буй те шуьга? Со чекхволучу баланийн хӀордах довлалур дуй те шу?»</verse>
				<verse number="39">Цара жоп делира: «Далур ду тхоьга иза», — аьлла. ТӀаккха Ӏийсас элира цаьрга: «Аса молу къаьхьа кад а мер бу аша, Со чекхволучу баланийн хӀордах а чекхдевр ду шу,</verse>
				<verse number="40">амма Сайн аьтту агӀор, я аьрру агӀор охьахаор — иза Сан карахь дац. И меттигаш цхьаболчу нахана кечйина, уьш хила еззачеран хир ю».</verse>
				<verse number="41">Иза шайна хезча, висина итт мурд оьгӀазвахара Якъубана а, Яхьъяна а.</verse>
				<verse number="42">ТӀаккха Ӏийсас, уьш Шена тӀе а кхайкхина, элира цаьрга: «Шуна хаьа, шаьш нахана юкъахь элий ду бохучара олалла дой царна тӀехь, ткъа лакхара хьалдолчу наха уьш бацабойла.</verse>
				<verse number="43">Амма шуна юкъахь ма хуьлийла иштта. Ткъа шуна юкъахь лакхара хила лууш верг шун ялхо хуьлийла,</verse>
				<verse number="44">я шун юкъара ша хьалхара хила лууш верг массеран а лай хуьлийла.</verse>
				<verse number="45">ХӀунда аьлча Адамийн КӀант Шена хьалхара гӀуллакх дайта ца веана, амма Ша гӀуллакх дан а, Шен дахар дӀадала а веана, дукхахболчеран къинош дӀатакхархьама».</verse>
				<verse number="46">Ӏийса мурдашца Ерихоне веанера. ТӀаккха Иза Шен мурдашца а, алссам долчу адамашца а цу гӀалара араволучу хенахь бӀаьрзе волу Тхьамайн кӀант Бар-Тхьамай вара, некъа йисте а хиъна, сагӀа доьхуш.</verse>
				<verse number="47">Назартхо Ӏийса вогӀуш вуй а хезна, иза, мохь а бетташ, бохуш вара: «Ӏийса, Даудан кӀант! Къинхетам бехьа сох».</verse>
				<verse number="48">Дукхахболчара иза чехавора, гӀовгӀа ма е а бохуш, амма и кхин а чӀогӀа мохь бетта вуьйлира: «Даудан кӀант! Къинхетам бехьа сох!» — бохуш.</verse>
				<verse number="49">Ӏийсас, саца а сецна, иза Шена тӀекхайкхийтира. БӀаьрзечуьнга: «Доьналла долуш хила, тӀевола боху хьоьга!» — аьлла, кхайкхира уьш.</verse>
				<verse number="50">Шен тӀехулара бедар дӀа а яьккхина, хьала а кхоссавелла, Ӏийсана тӀе веара иза.</verse>
				<verse number="51">«Хьуна хӀун оьшу Соьгара?» — хаьттира Ӏийсас. БӀаьрзечо элира Цуьнга: «Устаз! БӀаьрса ган лаьа суна».</verse>
				<verse number="52">Ӏийсас элира: «ДӀавало, хьан тешаро кӀелхьарваьккхи хьо». Цу сохьта бӀаьрса а деана, Ӏийсана тӀаьхьахӀоьттина некъахула вахара иза.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="11">
				<verse number="1">Ярушалайме воьдучу новкъахь, Зайт-диттийн ламанца йолчу Бет-Паг а, Бет-ХӀина а меттигашка шаьш кхаьчча, Шен мурдех шиъ хьалхахьажийра Ӏийсас.</verse>
				<verse number="2">Царна Цо тӀедиллира: «Шайна хьалха лаьттачу юьрта чу гӀо. Шу юьрта чу довллушехь, йихкина лаьтташ, адамех цхьа а шена тӀе а хааза, къона вир гур ю шуна, иза дӀа а ястий, схьаялае.</verse>
				<verse number="3">Ткъа цхьаммо шайга хаттахь: „И хӀун ду аша дийриг?“ — аьлла, „Элана оьшу хӀара, Цо сихха юхаерзайойтур ю хӀара“, — ала».</verse>
				<verse number="4">Мурдаш бахча, царна арахь кевнах йихкина къона вир а гира, цара иза дӀа а яьстира.</verse>
				<verse number="5">Цигахь лаьттачех цхьаболчара хаьттира: «Аша хӀун леладо, дӀа стенна йосту аша иза?» — аьлла.</verse>
				<verse number="6">Ӏийсас шайга ма-аллара, жоп делира мурдаша, тӀаккха вукхара дӀахийцира уьш.</verse>
				<verse number="7">Цара, вир схьа а ялийна, цунна тӀе шайн тӀехулара бедарш тийсира, ткъа Ӏийса цунна тӀе хиира.</verse>
				<verse number="8">Дукхахболчара шайн тӀехулара бедарш Цунна хьалха некъа тӀе охьатуьйсура, вукхара, дитташ тӀера гаьннаш а дохуш, уьш некъа тӀе охьадохкура.</verse>
				<verse number="9">Хьалха бевлла а, тӀаьхьа хӀиттина а богӀучара чӀогӀа маьхьарий деттара: «„ХӀашанна!“ „Декъала ву Везачу Элана цӀарах вогӀуш Верг!“</verse>
				<verse number="10">Декъала ю тӀейогӀур йолу вайн ден Даудан пачхьалкх! ХӀашанна! Хастам стигалшкара Веза Воккхачу Далла».</verse>
				<verse number="11">Ӏийса, Ярушалайме а веана, Делан цӀийнан керта чу велира. Кертахь массанхьа а дӀаса а хьаьжна, хан яьлла хиларна, Шен шийтта мурд а эцна, Бет-ХӀине вахара.</verse>
				<verse number="12">ШолгӀачу дийнахь хӀорш Бет-ХӀинера схьабевллачу хенахь Ӏийса мацвеллера.</verse>
				<verse number="13">Геннара, тӀехь дукха гӀаш долу комарийн дитт а гина, цунна тӀе вахара Ӏийса, тӀехь комарш юй те хьажа. Диттана тӀевеача, гӀаш доцург хӀумма а ца карийра Цунна, хӀунда аьлча хӀинца а стом хуьлу хан яцара.</verse>
				<verse number="14">ТӀаккха Ӏийсас элира дитте: «ХӀинца дуьйна цхьаммо а, цкъа а стом ма боийла хьуна тӀера!» Цуьнан мурдашна хезира Цо иза олуш.</verse>
				<verse number="15">Уьш Ярушалайме баьхкира, цигара Делан цӀийнан керта ваьлча, цу кертахь йохкаэцар лелош болу нах дӀалоьхкура Ӏийсас. Ахчанаш хуьйцучеран гӀопастанаш а, кхокхарчий духкучеран гӀанташ а харцийра Цо.</verse>
				<verse number="16">ТӀаккха цхьаьнгге а шайн юхку хӀуманаш Делан цӀийнан кертахула дӀаса ца йохуьйтура Цо.</verse>
				<verse number="17">Ӏийсас хьехамаш бора царна: «Яздина дац: „Сан цӀа доӀанаш ден цӀа олуш хир ду, массо а къаьмнашна лерина долу“? Ткъа аша кхунах „зуламхойн бен“ бина».</verse>
				<verse number="18">Ӏелам нахана а, динан коьртачу дайшна а дӀахезира иза. Цара ойла йора, Ӏийса хӀаллак муха вийр вара те бохуш. Уьш Цунах кхоьрура, хӀунда аьлча массо а халкъ цецдуьйлура Цуьнан хьехамех.</verse>
				<verse number="19">Суьйранна, хан яьлча, Ӏийса, Шен мурдашца ара а ваьлла, дӀавахара оцу гӀалара.</verse>
				<verse number="20">Ӏуьйранна, комарийн диттана уллохула чекхбовлуш, царна иза орамаш тӀера дуьйна дакъаделла гира.</verse>
				<verse number="21">ТӀаккха, дага а деана, Кипас элира Ӏийсага: «Устаз! Хьажахь, Ахь сардам боьллина комарийн дитт дакъаделла-кх».</verse>
				<verse number="22">Ӏийсас жоп луш, элира цаьрга: «Делах тешар хила!</verse>
				<verse number="23">Аса баккъалла а боху шуьга: нагахь цхьаммо хӀокху ломе олу-кх: „Хьала а балий, хӀордана чу кхоссало“, — шен даг чохь шеко а йоцуш, ткъа ша аьлларг билггала хирг хиларх теша а тешаш и хилча, хир ду цунна цо аьлларг.</verse>
				<verse number="24">Цундела боху шуьга: дерриге а шайн доӀан тӀехь аш мел доьхург делла хиларх тешаш хила — тӀаккха аш доьхург лур ду шуна.</verse>
				<verse number="25">Шаьш доӀа дечу хенахь шайн даг чохь цхьанна вас елахь, къинтӀера довла цунна, шайн къиношна а Стигаларчу Дега гечдайтархьама».</verse>
				<verse number="26">***</verse>
				<verse number="27">Юха а Ярушалайме баьхкира уьш. Ткъа Ӏийса Делан цӀийнан кертахь лелачу хенахь, динан коьрта дай а, Ӏелам нах а баккхийнаш а баьхкира Цунна тӀе.</verse>
				<verse number="28">Цара элира Ӏийсага: «Муьлхачу бакъонца ду Ахь деш дерг? Хьан елла Хьуна и бакъо?»</verse>
				<verse number="29">Ӏийсас, жоп луш, элира цаьрга: «Аса а дийр дара шуьга цхьа хаттар, аш Суна жоп лахь, тӀаккха Аса а эр ду шуьга, хьенан бакъонца деш ду и дерриг а.</verse>
				<verse number="30">Яхьъяс хих чекхваккхар стигалара дара я адамашкара дара? — жоп лол Суна!»</verse>
				<verse number="31">ТӀебаьхкинарш вовше барт бан хӀиттира: «Нагахь вай: „Стигалара яра“, алахь, Цо хоттур ду: „Цунах хӀунда ца тийшира шу?“ — аьлла.</verse>
				<verse number="32">Амма нагахь: „Адамашкара яра“, — алахь...» (Уьш халкъах ца хӀуттура, хӀунда аьлча массарна а Яхьъя билггала пайхамар хетара.)</verse>
				<verse number="33">Цара Ӏийсага жоп делира: «Ца хаьа тхуна», — аьлла. ТӀаккха Ӏийсас а дуьхьал элира: «Ас а эр дац шуьга, муьлхачу бакъонца деш ду Айса деш дерг».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="12">
				<verse number="1">Ӏийса юха а хьекъале дустаршца хьехамаш бан волавелира халкъана: «Цхьана стага кемсаш йийна хилла, гонах керт а йина, кертахь мутт даккха ор а кечдина, Ӏуналлина бӀов а хӀоттийна. Уьш лело белхалой а лаьцна, цӀера ваьлла хилла иза.</verse>
				<verse number="2">Кемсаш хуьлу хан тӀекхаьчча, белхалошна тӀе ялхо вахийтина хӀусамдас, шена догӀу кемсийн дакъа схьаэцийта.</verse>
				<verse number="3">Ткъа белхалоша и ялхо, схьа а лаьцна, етта а йиттина, ваьсса дӀахьажийна.</verse>
				<verse number="4">ХӀусамдас кхин а цхьа ялхо вахийтина, амма цара коьртах тӀулгаш а диттина, сийсаз а вина, дӀавахийтина иза а.</verse>
				<verse number="5">Юха а кхиверг вахийтина цо, амма иза вийна, кхин цига мел хьажийначарна белхалоша я еттара цара, я бойура уьш.</verse>
				<verse number="6">Кхин вахийта цхьа а ца висина, тӀаьххьара а шен хьоме кӀант хьажийна цига хӀусамдас, шен дагахь: „Сан кӀанте-м ларам хир ма бу церан“, — аьлла.</verse>
				<verse number="7">Ткъа белхалоша вовшашлахь сацам бина: „Иза хин волу хӀусамда ву, вай иза вуьйр ву, тӀаккха цуьнан бахам вайна буьсур бу“.</verse>
				<verse number="8">Цара иза, схьа а лаьцна, вен а вийна, кемсийн бешара кхоьссина дӀаваьккхина.</verse>
				<verse number="9">Ткъа хӀинца хӀун дийр ду хӀусамдас? Ван а веана, и белхалой байа а байина, кхечаьрга дӀалур ю-кх кемсийн беш.</verse>
				<verse number="10">Делан Йозанаш тӀехь ца дешна те аш цунах лаьцна: „ГӀишло еш, пхьераша дӀакхоьссина тӀулг цӀийнан сонан йистера коьрта тӀулг хилла, дӀахӀоьттина.</verse>
				<verse number="11">Иза Везачу Эло дина ду, вайна гергахь и чӀогӀа инзаре а ду!“»</verse>
				<verse number="12">И дийцар шайна дуьхьал далийна дуй кхетта, Ӏийса лаца аьтто лоьхура динан дайша а, Ӏелам наха а. Амма шаьш нахах кхоьру дела, Иза Ӏад а витина, дӀабахара уьш.</verse>
				<verse number="13">Муьлххачу а дашна тӀехь ваьлла а, Ӏийса галвалахь, Иза лацархьама цхьаболу парушхой а, ХӀарод-паччахьна тӀаьхьа хӀиттина нах а бохуьйту цара Цунна тӀе.</verse>
				<verse number="14">Ткъа тӀебаьхкича, цара хаттар до Ӏийсага: «Устаз! Тхуна хаьа Ахьа бакъдерг дуьйцийла. Наха Хьайна олучух гӀайгӀа беш а вац Хьо, хӀунда аьлча Хьо стеган дарже ца хьожу. Мелхо а, Далла тӀе боьду некъ нийса хьоьху Ахь. Нийса дуй те римхойн паччахьна ял ялар я дац? Ло оха, я ма ло?»</verse>
				<verse number="15">Амма церан мекарло евзаш, Ӏийсас элира цаьрга: «Со стенна зоь аш? Схьадал Соьга цхьа динари ахча, Суна иза гуш хилийта».</verse>
				<verse number="16">Цара ахча схьадеара. ТӀаккха Ӏийсас элира: «Хьенан сурт ду кху тӀехь диллинарг, хьенан цӀе ю язйина?» «Римхойн паччахьан ю-кх», — элира цара Цуьнга.</verse>
				<verse number="17">ТӀаккха Ӏийсас жоп делира цаьрга: «Делахь паччахьна паччахьна доггӀург дӀало, Далла — Далла доггӀург». Уьш цецбевлла бисира Цуьнан жоьпах.</verse>
				<verse number="18">Цул тӀаьхьа Ӏийсана тӀе цхьаболу садукъой баьхкира. Уьш ца тешара велла стаг денваларх.</verse>
				<verse number="19">Цара хаьттира Ӏийсага: «Устаз! Муса-пайхамаро яздина вайна: „Нагахь стаг велча, цуьнан зуда доьзалхо воцуш йисахь, веллачун вашас и зуда яло еза шен вешин тӀаьхье меттахӀотто“.</verse>
				<verse number="20">ВорхӀ ваша хилла. Хьалхарчо зуда ялийна, амма и лечу хенахь доьзалхо ца хилла цуьнан.</verse>
				<verse number="21">ШолгӀачу вашас йигна и шен веших йиснарг. Иза а велла, кхин доьзалхо а воцуш, изза хилира кхозлагӀчу вешица а.</verse>
				<verse number="22">ВорхӀе а вашас ялийна иза, цхьа а бер доцуш, уьш белла. Эххар и зуда а елла.</verse>
				<verse number="23">Масала, уьш беллачуьра денбеллачу дийнахь, царах хьенан зуда хир ю иза, ворххӀангахь а иза марехь хилла хилча?»</verse>
				<verse number="24">Ӏийсас жоп делира цаьрга: «Делан Йозанаш ца хааро а, Делан ницкъ ца бовзаро а тиладолуьйтуш дуй те шу?</verse>
				<verse number="25">Беллачуьра денбеллачара зударий а балор бац, маре а гӀур бац, амма стигаларчу маликех тарлур бу уьш.</verse>
				<verse number="26">Ткъа белларш денлург хиларх лаьцна ца дешна аш Муса-пайхамаран тептарш тӀехь, Дала цуьнга коканийн колл йогучу хенахь аьлларг: „Со ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела ву“, — аьлла?</verse>
				<verse number="27">Дела беллачеран Дела вац, амма дийначеран Дела ву! Ткъа шу чӀогӀа тиладелла ду».</verse>
				<verse number="28">Цара дуьйцург а хезна, Ӏийсас шен меттахь жоп далар а гина, Ӏелам нахах цхьаммо, тӀе а веана, хаьттира Цуьнга: «Дала тӀедиллинчу гӀуллакхех уггар коьртаниг муьлха ду?»</verse>
				<verse number="29">Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Царах коьртаниг хӀара ду: „ЛадогӀа, Исраилан халкъ! Вайн Веза Дела — цхьа Веза Эла ву!</verse>
				<verse number="30">Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца а, дерриг а хьекъалца а, берриге а ницкъаца а веза“, И ду коьрта гӀуллакх!</verse>
				<verse number="31">ШолгӀаниг а иштта ду: „Хьайн уллораниг хьо санна веза“. Царал коьртанаш цхьа а дац».</verse>
				<verse number="32">«Хаза эли Ахь», — элира жоьпана дуьхьал Ӏелам стага. «Нийса боху Ахь, Устаз! Дела цхьаъ ву, И воцург кхин Дела вац.</verse>
				<verse number="33">Иза хьайн доггах а веза, доллучу хьекъалца а, боллучу ницкъаца а, хьо санна веза хьайна уллораниг а — иза массо сагӀанал а, цӀий даккхарал а деза ду».</verse>
				<verse number="34">Цу Ӏелам стага хьекъалца жоп далар а гина, Ӏийсас элира цуьнга: «Гена вац хьо Делан Олаллехь Далла уллохь хиларна». Цул тӀаьхьа цхьа а ца хӀоьттира Ӏийсага хаттарш дан.</verse>
				<verse number="35">Кхин дӀа а Делан цӀийнан кертахь хьехамаш беш Ӏийсас элира: «Ӏелам наха хӀунда олу: „Дала леррина КъобалвинаргДаудан кӀант ву“?</verse>
				<verse number="36">Дауда а, ша Делан Синах вуьзначу хенахь, ма аьлла: „Везачу Эло сан Хьалдолчу Эле аьлла: Суна аьтту агӀор охьахаа, Аса Хьан мостагӀий Хьан когашка охьабахккалц“.</verse>
				<verse number="37">Нагахь Дауда а Цунах „Хьалдолу Эла“ аьлча, цуьнан кӀант муха хуьлу И Дала леррина Къобалвинарг?» Массо а адам там хиларца ладугӀуш дара Ӏийсага.</verse>
				<verse number="38">Шен хьехамашкахь Цо бохура: «Базаран майданашкахь шайга маршалла хоттуш хазахеташ болчу, деха духарш а духуш кечлучу Ӏелам нахах ларлолаш.</verse>
				<verse number="39">Царна лаьа гуламан цӀа чохь а, тойнехь а баьрччехь Ӏан.</verse>
				<verse number="40">Цара бисина Ӏан зударий шайн цӀенойх а боху, шаьш гайтархьама деха доӀанаш а до. Амма ишттачарна луьра таӀзар хир ду».</verse>
				<verse number="41">Делан цӀийнан кертахь сагӀа гулдечу хазнина дуьхьал а хиъна, наха сагӀина чутосучу ахчанан тидам беш вара Ӏийса. Дукхахболчу хьолахоша дуккха а дуьллура.</verse>
				<verse number="42">Ткъа цхьа йисина Ӏачу къен зудчо, тӀе а еана, ши жима цӀестан ахча охьадиллира.</verse>
				<verse number="43">Шен мурдаш тӀе а кхайкхина, Ӏийсас элира цаьрга: «Бакъдерг боху шуьга, хӀокху йисна Ӏачу къен зудчо сагӀина делларг массара деллачул а деза ду.</verse>
				<verse number="44">Вукхара шайн хьолах совдаьлларг луш дара, ткъа хӀокхо, шен таро йоццушехь, шен мел дерг а охьадиллира».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="13">
				<verse number="1">Ӏийса Делан цӀийнан кертара араволучу хенахь мурдех цхьаммо элира Цуьнга: «Устаз! Хьажахь, ма хаза ду и тӀулгаш а, гӀишлош а!»</verse>
				<verse number="2">Ӏийсас дуьхьал жоп делира: «Гой хьуна и яккхий гӀишлош? И дерриге а хӀаллакдийр ду, тӀулга тӀехь тӀулг а ца буьтуш».</verse>
				<verse number="3">Ӏийса Зайт-диттийн лам тӀехь Делан цӀийнан кертана дуьххьал хиъна Ӏаш волуш, Кипас а, Якъуба а, Яхьъяс а, Ӏандара а хаьттира Цуьнга, уьш шаьш бисча:</verse>
				<verse number="4">«Алахь тхоьга, маца а хир ду иза, хӀун билгало а хир ю и хиндерг кхочуш хуьлуш?»</verse>
				<verse number="5">Царна жоп а луш, Ӏийсас элира: «Ларлолаш, шаьш ле ма дайталаш,</verse>
				<verse number="6">хӀунда аьлча Сан цӀарца дукха нах богӀур бу. „Со ву Иза“, — бохуш, дукхахберш Ӏехор бу цара.</verse>
				<verse number="7">Нагахь тӀемах я цунах лаьцна хӀума шайна хазахь, шу дохий ма хьовза, хӀунда аьлча и дерриг а хила дезаш ду. Амма иза а тӀаьххьара де дац.</verse>
				<verse number="8">Халкъана дуьхьал халкъ гӀоттур ду, мохк махкана дуьхьал бер бу. МаьӀ-маьӀӀехь чӀогӀа мохк бегор бу, мацалла а хир ю. Иза, берах хьийзош йолчу зудчун санна, халчу баланийн юьхь бен хир яц.</verse>
				<verse number="9">Амма шу сема хилалаш, хӀунда аьлча шу дӀа а лоьцур ду, гуламан цӀеношкахь еттар а ю шуна, куьйгалхошна а, паччахьашна а хьалха хӀиттор а ду шу, Со бахьанехь шайна хьалха тоьшаллаш дайтархьама.</verse>
				<verse number="10">Ткъа хьалха хаза кхаъ массо а къаьмнашна дӀакхачо беза.</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха, шаьш царна хьалха кхеле хӀиттинчу хенахь, хьалхе дуьйна гӀайгӀа ма белаш, шаьш ала дезачун, ткъа цу сохьта шайна дага тасийтинарг дӀаала. ХӀунда аьлча цу хенахь аш шаьш а ца олуш, амма Делан Сино шуьгахула эр ду ала дезарг».</verse>
				<verse number="12">«Вашас, вешина ямарта а хилла, иза вейта дӀалур ву. Ткъа дас берашна а изза дийр ду. ТӀаккха бераша, шайн дайшна-наношна дуьхьал а гӀевттина, уьш бойур а бу.</verse>
				<verse number="13">Сан цӀе бахьана долуш цхьанна а дезар дац шу, амма и дерриге а чекхдаллалц лайнарг кӀелхьарвоккхур ву».</verse>
				<verse number="14">«Ткъа хӀотто ца дезачохь, „вас еш йолу къемате хӀума“ хӀоттийна шайна гича (хӀара доьшург нийса кхетийла!), тӀаккха цу хенахь ЯхӀуд-махкахь нисвелларг лаьмнашка дӀаводийла.</verse>
				<verse number="15">Тхов тӀехь нисвелларг, охьа а воьссина цӀа чу ма гӀо, цо шен цӀа чуьра цхьа хӀума схьа ма эца.</verse>
				<verse number="16">Ткъа аренгахь нисвелларг, шен тӀеюху хӀума схьаоьцур яра ша аьлла, цӀа ма вогӀийла.</verse>
				<verse number="17">Боккхачу баланехь хир бу цу дийнахь доьзалхочух болу а, бераш дакхош болу а зударий.</verse>
				<verse number="18">Шаьш довда дезар Ӏай ца хилийтар Деле дехалаш.</verse>
				<verse number="19">ХӀунда аьлча оцу деношкахь, Дала дуьне кхоьллинчхьана дуьйна ца хиллачу кепара, кхин цул тӀаьхьа а хир боцучу тайпана гӀайгӀа-бала хир бу.</verse>
				<verse number="20">Везачу Эло и денош дац ца динехьара, цхьа а кӀелхьарвалалур вацара, амма Ша къастийначеран дуьхьа дацдина Цо и денош.</verse>
				<verse number="21">Цхьаммо шайга цу хенахь „Хьажал! Кхузахь ву шуна Дала леррина Къобалвинарг!“ я „Цигахь ву шуна!“ алахь, цунах ма тешалаш,</verse>
				<verse number="22">хӀунда аьлча цу заманчохь харцпайхамарш а, шаьш Дала леррина къобалдинарш бу бохурш а гучубевр бу. Цара тамашийна гӀуллакхаш а, тамашийна билгалонаш а гойтур ю, шайн йиш хилахь, Дала хаьржинарш а Ӏехорхьама.</verse>
				<verse number="23">Амма шу ларлолаш! Ас хьалххе дӀахоуьйту шуьга и дерриге а хиндерг».</verse>
				<verse number="24">«Амма оцу деношкахь, и баланаш тӀехӀоьттинчул тӀаьхьа, „малх кхулур бу, батто а серло лур яц,</verse>
				<verse number="25">стигалара седарчий а охьаоьгур ду, стигалийн нуьцкъалалла а леста йолалур ю“».</verse>
				<verse number="26">«ТӀаккха гур ву царна Шен боккхачу ницкъаца а, сийлаллица а мархаш тӀехула вогӀу Адамийн КӀант.</verse>
				<verse number="27">Оцу хенахь Цо, Шен маликаш а хьажийна, дуьненан еъа а маьӀӀера Шен къастийнарш дӀагулбийр бу лаьттан йистера стигалан йисте кхаччалц».</verse>
				<verse number="28">«Масала, схьаэца комарийн диттах хьехам: цуьнан гаьннаш кӀад а делла, гӀа тосучу хенахь, хаьа шуна аьхке герга кхаьчнийла.</verse>
				<verse number="29">Иштта, и хӀуманаш кхочушхуьлуш шайна гича, хаа ду шуна Адамийн КӀентан зама герга юйла а, Иза неӀарехь вуйла а.</verse>
				<verse number="30">Бакъдерг боху шуьга: ХӀара адамийн тӀаьхье чекхъялале хир ду и дерриг а.</verse>
				<verse number="31">Стигаллий, латтий къайладаьлча а, Сан дешнаш довр дац».</verse>
				<verse number="32">«Ткъа и де а, и сахьт а цхьанна а ца хаьа, я стигалара маликашна а, я КӀантана а, Да воцучунна.</verse>
				<verse number="33">Варелаш, сема хилалаш, хӀунда аьлча и хан тӀе маца кхочу ца хаьа шуна.</verse>
				<verse number="34">Масала, цхьаммо шен цӀера а ваьлла, генна новкъа волучу хенахь, шен ялхойн кара олалла а делла, хӀоранна а шен-шен гӀуллакх дӀа а делла, гӀаролана сема хилар тӀедуьллу.</verse>
				<verse number="35">Иштта сема хилалаш! ХӀунда аьлча шуна ца хаьа хӀусаман да цӀа маца вогӀур ву, суьйранна, я буьйса юккъе яхача, я нӀаьний кхойкхучу хенахь, я сатосуш.</verse>
				<verse number="36">ЦӀеххьана иза цӀа веача, шаьш дийшина ма карадайталаш.</verse>
				<verse number="37">Ас юха а боху шуьга массаьрга а, хӀоранга а: „Сема хилалаш!“»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="14">
				<verse number="1">Ши де даьлча тӀедан дезаш дара «Пасахь» олу совсазчу баьпкан деза де. ХӀилланца схьа а лаьцна, Ӏийса вен аьтто лоьхуш бара динан коьрта дай а, Ӏелам нах а.</verse>
				<verse number="2">Амма адам эргӀаддаларх кхоьруш, иза дезачу деношкахь кхочушдан ца лаьара царна.</verse>
				<verse number="3">Ӏийса Бет-ХӀинехь волуш, чкъуран юха ца йоьрзу цамгар кхетта волчу ШамӀин цӀахь Иза хӀума юуш Ӏачу хенахь, мехалчу кхаби чохь, цӀеначу, нард олучу зезаган орамех даьккхина деза даьтта а дахьаш, зуда чуелира. И кхаба, йоха а йина, даьтта Ӏийсан коьрта тӀе доьттира цо.</verse>
				<verse number="4">Цхьаболчара, резабоцуш, оьгӀазаллица вовшашка бохура: «Стенна оьшура иштта харж ян?</verse>
				<verse number="5">ХӀунда аьлча и даьтта кхо бӀе а сов динари ахчанах дохка мегар ма дара, тӀаккха и ахча мискачарна а доькъуш». Оцу зудчунна хамталлаш йора цара.</verse>
				<verse number="6">Амма Ӏийсас элира: «Ӏадйитийша и зуда, эхь хӀунда хоьтуьйту аш цунна? Цо Суна динарг дика гӀуллакх ду-кх.</verse>
				<verse number="7">ХӀунда аьлча мисканаш гуттар а хир бу шуна юххехь, царна шайна лиъначу хенахь лур ду аш сагӀа, ткъа Со даим хир вац шуьца.</verse>
				<verse number="8">Со дӀаволларна хьалххе кечам би цо, шега далург деш.</verse>
				<verse number="9">Аса баккъалла а боху шуьга: дерриг а дуьнен тӀехь, и хаза кхаъ кхайкхочу массо а меттехь, цу зудчо динарг, цуьнан сий айдеш, хьахор ду».</verse>
				<verse number="10">ТӀаккха ЯхӀуд Искархо, Ӏийсан шийтта мурдах цхьаъ, динан коьртачу дайшна тӀевахара, ямартло а йина, Ӏийса церан кара дӀавалархьама.</verse>
				<verse number="11">И хезча, вукхара самукъадаларца цунна ахча дала барт бира. Ткъа ЯхӀуда Ӏийса церан кара дӀавала аьтто лоьхура.</verse>
				<verse number="12">Совсазчу баьпкан дезачу денойн дуьххьарлерчу дийнахь, Пасахьан Ӏахар а бийна, мурдаша Ӏийсага хаьттира: «Пасахьан пхьор мичахь дан лаьа Хьуна? Оха, дахана, кечйийр ю чоь».</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха, Шен мурдех шиъ вохуьйтуш, Ӏийсас цаьрга элира: «Шу гӀала чу гӀо, ткъа цигахь кхаби чохь хи дахьаш вогӀу цхьа стаг дуьхьалкхетар ву шуна, цунна тӀаьххье дӀагӀо.</verse>
				<verse number="14">Иза чу ваханчу цӀийнан хӀусамдега аш ала: „Устазо хоьтту: Сайн мурдашца Пасахьан суьйренан пхьор даа чоь мичахь ю?“</verse>
				<verse number="15">Цо шуна лакха тӀехь йоккха а йолуш, лаьтта хӀума а тесна, кечйина чоь гойтур ю, цу чохь кечам бийр бу аш вайна».</verse>
				<verse number="16">Ӏийсан мурдаша, гӀала а баьхкина, дерриг а Цо ма-бохху а карийна, Пасахьана кечам бира.</verse>
				<verse number="17">Суьйре тӀееача, Ӏийса Шен шийтта векалца цига веара.</verse>
				<verse number="18">ДӀа а тевжина, уьш хӀума юуш бохкуш, Ӏийсас элира: «Баккъалла а боху шуьга, Соьца кхача бууш волчу шух цхьаммо ямартло йийр ю Суна».</verse>
				<verse number="19">Уьш, и халахетта, Цуьнга баха буьйлабелира: «Со-м вац те иза?»</verse>
				<verse number="20">Ткъа Ӏийсас жоп луш, элира цаьрга: «Шийттаннах цхьаъ ву, Соьца кеда чу бепиг Ӏуттуш верг.</verse>
				<verse number="21">Ткъа Адамийн КӀант, Делан Йозанашна тӀехь Цунах яздина ма-хиллара, кху дуьнен чуьра дӀавоьдуш ву, амма декъаза ву-кх Цунна ямарта верг! Цунна дуьнен чу ца валар гӀоле яра!»</verse>
				<verse number="22">Цара хӀума юучу хенахь, Ӏийсас, бепиг схьа а эцна, доӀанца декъал а дина, декъа а декъна, Шен мурдашка дӀа а кховдош, элира: «Схьаэца — иза Сан дегӀ ду».</verse>
				<verse number="23">ТӀаккха кад, схьа а эцна, Далла хастам а бина, Цо иза цаьрга дӀакховдийра, ткъа цара массара а цу чуьра дӀамелира.</verse>
				<verse number="24">Ӏийсас элира цаьрга: «ХӀара Сан цӀий ду, Делаца бина барт чӀагӀдеш долу, дукхахболчеран дуьхьа Ӏенор долу.</verse>
				<verse number="25">Билггала боху шуьга: кемсех даьккхина долу кхин цхьа а малар Аса мер дац, Дала дӀахӀоттийначу Олаллехь керла чагӀар молу де тӀекхаччалц».</verse>
				<verse number="26">ТӀаккха Далла хастаман назманаш а аьлла, Зайт-диттийн лам тӀе бахара уьш.</verse>
				<verse number="27">Шен мурдашка Ӏийсас элира: «Аша массара а Со дӀатосур ву, хӀунда аьлча яздина ду: „Ӏуьнна чов йийр ю Аса, ткъа уьстагӀий дӀасадовдур ду“, — аьлла».</verse>
				<verse number="28">«Амма веллачуьра денвеллачул тӀаьхьа Галилай-махка шул хьалха кхочур ву Со».</verse>
				<verse number="29">Кипас элира Ӏийсага: «Массара дӀатесча а, ас-м вуьтур вац Хьо».</verse>
				<verse number="30">ТӀаккха Ӏийсас элира цуьнга: «Баккъалла а боху хьоьга: тховса, шозза нӀаьна кхайкхале, кхузза Сох дӀакъаьстар ву хьо».</verse>
				<verse number="31">Амма Кипас, кхин а чӀагӀдеш, элира: «Сан Хьоьца вала дезахь а, со цкъа а Хьох дӀакъаьстар вац». Изза вукхара а элира.</verse>
				<verse number="32">Цул тӀаьхьа Гатшамани олучу меттиге баьхкира уьш. Ӏийсас элира Шен мурдашка: «Ас доӀа дечу юкъана, ховший Ӏе кхузахь».</verse>
				<verse number="33">ТӀаккха Шеца Кипа а, Якъуб а, Яхьъя а вигира Цо. Кхузахь Ӏийса синтем байна а, чӀогӀа сингаттаме а хилира.</verse>
				<verse number="34">Цо элира цаьрга: «Сан са Ӏожаллин гӀайгӀанехь ду. Аша кхузахь а совций, сема хан яккха».</verse>
				<verse number="35">Царна жимма дехьа а ваьлла, лаьтта а воьжна, Ӏийсас доӀа дира: «Нагахь йиш елахь, дӀакъастадойла Ахь Сох и къизаллин сахьт», —</verse>
				<verse number="36">кхин а Цо элира: «Сан Дада! Дерриг а Хьан карахь ду, и къаьхьа кад Суна юххехула чекхбаккхахьа! Делахь а, Сан лаамца доцуш, Хьан лаамца хуьлийла дерриг а».</verse>
				<verse number="37">Ша юхавирзича, Шен мурдаш бийшина Ӏохкуш карийра Цунна. ТӀаккха Цо элира Кипе: «ШамӀа, хьо наб еш ву? Цхьана сахьтехь сема хила ца мегара хьо?</verse>
				<verse number="38">Сема хила, доӀанаш де, шаьш къилахь долчу лаамашна кӀел ца дисийта. Са сема хуьлу, ткъа дилха эгӀаза ду».</verse>
				<verse number="39">Юха а дехьо ваьлла, доӀа дира Цо, изза дешнаш олуш.</verse>
				<verse number="40">Юхавеача, кхин цкъа а бийшина карийра Ӏийсана уьш, хӀунда аьлча церан бӀаьрганегӀарш дазделлера. Шаьш Ӏийсага хӀун эр ду а ца хууш биснера уьш.</verse>
				<verse number="41">КхозлагӀа а тӀевеана, элира Цо цаьрга: «Шу хӀинца а наб еш, садоӀуш ду? Тоьар ду, тӀедеана и сахьт. Адамийн КӀант къинош летийначеран каравоьду хан тӀекхаьчна.</verse>
				<verse number="42">Дуьйло, хьалагӀовтта! ХӀара ву Суна ямартло ен верг».</verse>
				<verse number="43">Оцу сохьта, Ӏийсас и оллушехь, тӀевеара ЯхӀуд, шийттаннах цхьаъ. Цунна тӀаьхьахӀоьттина адамийн тоба яра, карахь таррашший, хьокхий а долуш. Уьш хьовсийнера динан коьртачу дайша а, Ӏелам наха а, баккхийчара а.</verse>
				<verse number="44">Ӏийсана ямарта волчо билгало йинера цаьрга: «Ас барт баьккхинарг Иза хир ву шуна, — аьлла, — И, схьа а лаций, ларвеш дӀавига».</verse>
				<verse number="45">Цу сохьта Ӏийсана тӀе а вахана, цо элира: «Ва устаз!» Цул тӀаьхьа Цунна барт баьккхира.</verse>
				<verse number="46">Ткъа вукхара, тӀе куьйгаш а кховдийна, схьалецира Ӏийса.</verse>
				<verse number="47">Уллохь лаьттачех цхьаммо, тур схьа а даьккхина, тоьхна, динан коьртачу ден ялхочун лерг даьккхира.</verse>
				<verse number="48">ТӀаккха Ӏийсас элира цаьрга: «Талорхо лаца доьлхуш санна, таррашций, хьокханашций ара ма девлла шу Со схьалаца?</verse>
				<verse number="49">Делан цӀа чохь хӀора дийнахь ца хуьлура Со шуьца, хьехамаш а беш? ХӀетахь ма ца лоцура аш Со? Амма Делан Йозанаш тӀехь яздинарг кхочушхила деза».</verse>
				<verse number="50">Цу хенахь, Ӏийса а витина, массо а мурдаш дӀасабевдира.</verse>
				<verse number="51">Шен дерзинчу дегӀа тӀе шаршу хьарчийна волу цхьа жима къонах Ӏийсана тӀаьхьа хӀоьттира. Амма тӀемалоша и дӀалецира.</verse>
				<verse number="52">ТӀаккха тӀемалойн карахь шаршу а юьтуш, иза верзина ма-варра дӀаведира царах.</verse>
				<verse number="53">Ӏийса динан коьрта да волчу цӀа валийра. Цигахь массо а динан коьрта дай а, баккхийнаш а, Ӏелам нах а гулбеллера.</verse>
				<verse number="54">Ӏийсана гено тӀаьхьа а хӀоьттина, динан коьртачу ден керта чу велира Кипа. Иза динан коьртачу ден кертахь гӀуллакх деш болчаьрца цӀарна хьалха вохлуш вара.</verse>
				<verse number="55">Ткъа Ӏийсана веран кхел ярхьама, динан коьрта дай а, коьртачу кхеташонехь мел верг а Иза бехке ван бахьана лоьхуш бара, амма и бахьана ца карадора царна.</verse>
				<verse number="56">ХӀунда аьлча дукхахболчара харц тоьшаллаш дора Цунна дуьхьал, ткъа уьш цхьана ца догӀура.</verse>
				<verse number="57">Цхьаболчара, хьала а гӀевттина, харц тоьшаллаш деш, элира:</verse>
				<verse number="58">«Тхуна хезнера Цо олуш: „Аса адамаша куьйга дина хӀара Делан цӀа доха а дина, кхаа дийнахь кхин тайпа долу, куьйга дина доцург дӀахӀоттор ду“, — аьлла».</verse>
				<verse number="59">Амма церан тоьшаллаш а цхьаьнадогӀуш дацара.</verse>
				<verse number="60">ТӀаккха динан коьртачу дас, юккъе дӀа а хӀоьттина, хаьттира Ӏийсага: «Ахь цхьа а жоп ма ца ло? Цара Хьуна дуьхьал тоьшаллаш хӀунда до?» — аьлла.</verse>
				<verse number="61">Ткъа Ӏийса дуьхьал вист а ца хилира, Цо цхьа а жоп ца делира царна. Юха а динан коьртачу дас хаьттира Цуьнга: «Хьо вуй Декъалволчун КӀант? Цо леррина Къобалвинарг?»</verse>
				<verse number="62">Ӏийсас элира: «Со ву. Шуна гур а ву Адамийн КӀант Нуьцкъалчу Далла аьтто агӀор хиъна Ӏаш а, стигалан мархашца охьавуссуш а».</verse>
				<verse number="63">ТӀаккха, шена тӀера бедар а ятӀийна, динан коьртачу дас элира: «Кхин хӀун тешаш оьшу вайна?</verse>
				<verse number="64">Хезира-кх шуна И Далла луьйш, шуна муха хета?» Цара массара а Ӏийса веран кхел къобалйира.</verse>
				<verse number="65">ТӀаккха цхьаболчара Ӏийсана тӀе туйнаш детта долийра, вукхара, Цуьнан бӀаьргаш дӀа а дихкина, буйнаш а детташ, олура: «Хьо пайхамар хилар гайта хӀинца!» ГӀаролхоша а еттара Цунна.</verse>
				<verse number="66">Кипа цу кертахь, лахахь волуш, динан коьртачу ден цхьа зуда-ялхо еара цига.</verse>
				<verse number="67">Вохлуш волу Кипа а гина, цо, леррина юьхь-дуьхьал а хьаьжна, элира: «Хьо а вара-кх Назартера Ӏийсаца».</verse>
				<verse number="68">Амма Кипас дӀахадийра: «Суна ахь хӀун боху а ца хаьа, со кхета а ца кхета ахь бохучух». Иза а аьлла, Кипа кертан хьалха велира. ТӀаккха нӀаьна кхайкхира.</verse>
				<verse number="69">Оццу зудчо, иза юха а гина, «ХӀара а ву царах цхьаъ», — элира уллохь хӀиттина болчаьрга.</verse>
				<verse number="70">Кипас юха а тӀе ца лецира цо бохург. Жимма Ӏийча, кхузахь лаьтташ болчара Кипе юха а элира: «Баккъалла а хьо ву-кх царах, хӀунда аьлча хьо а ма-ву галилайхо».</verse>
				<verse number="71">Ткъа Кипа, дуйнаш а бууш, чӀагӀонаш ян волавелира: «Ца вевза суна И стаг, аш вуьйцуш верг».</verse>
				<verse number="72">ХӀеттахь шозлагӀа а нӀаьна кхайкхира. ТӀаккха дагадеара Кипина Ӏийсас шега аьлларг: «НӀаьна шозза кхайкхале, ахь кхузза дӀатосур ву Со». Кипа доггах вилхира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="15">
				<verse number="1">Сатосучу хенахь, Ӏуьйре тӀеярца, динан коьртачу дайша а, Ӏелам наха а, ерриге а коьртачу кхеташонехь мел болчара а гулам бира. Оцу гуламо, сацам а бина, Ӏийса дӀа а вихкина, Пулате дӀавелира.</verse>
				<verse number="2">Пулата хаьттира Цуьнга: «Хьо жуьгтийн къоман Паччахь ву?» — аьлла. Ткъа Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Ахь боху-кх иза».</verse>
				<verse number="3">Динан коьртачу дайша дуккха а хӀуманна тӀехь бехке вора Ӏийса.</verse>
				<verse number="4">Пулата юха а хаьттира Цуьнга: «Ахь цхьа а жоп ма ца ло? Хьажал, Хьуна дуьхьал мел дукха бехкаш балабо».</verse>
				<verse number="5">Амма Ӏийсас оцу хаттарна кхин цхьа а жоп ца делира, ткъа Пулат цунах чӀогӀа цецвуьйлура.</verse>
				<verse number="6">ХӀора Пасахьан дезачу дийнахь чубоьхкинчарах цхьаъ, шега веххнарг, арахоьцура Пулата халкъана.</verse>
				<verse number="7">ХӀетахь цхьа хьенех вара, Барраб цӀе а йолуш. Шен накъосташца Ӏедална дуьхьал адам карзахдаьллачу хенахь, цо стаг верна, иза чувоьллинера.</verse>
				<verse number="8">ТӀаккха гулделлачу халкъо, маьхьарий а хьоькхуш, хӀинццалц санна тутмакхех цхьаъ дӀахецар дийхира Пулате.</verse>
				<verse number="9">Цо дуьхьал хаьттира цаьрга: «Ас жуьгтийн къоман Паччахь дӀавала лаьий шуна?» — аьлла.</verse>
				<verse number="10">ХӀунда аьлча Пулатана хаьара, динан коьртачу дайша Ӏийса шайн Цуьнга хьагӀ йолу дела дӀавеллий.</verse>
				<verse number="11">Амма динан коьртачу дайша халкъ иракарахӀоттийнера, царна Барраб дӀахецар гӀоле хетийтархьама.</verse>
				<verse number="12">Пулата юха а, жоп луш, элира цаьрга: «Ткъа аш жуьгтийн къоман Паччахь ву бохучунна хӀун дан лаьа шуна ас?»</verse>
				<verse number="13">Цара цо бохучунна дуьхьал маьхьарий хьаькхира: «ЖӀарах дӀатоха Иза!» — аьлла.</verse>
				<verse number="14">Пулата хаьттира цаьрга: «ХӀунда? Цо хӀун зулам дина те?» Амма наха кхин а чӀогӀа маьхьарий хьоькхура: «ЖӀарах дӀатоха Иза!» — бохуш.</verse>
				<verse number="15">ТӀаккха Пулата, халкъана луург а деш, Барраб дӀахецийтира. Ткъа Ӏийса, шед а еттийтина, тӀемалойн кара дӀавелира жӀарах дӀатохийтархьама.</verse>
				<verse number="16">ТӀемалоша, Ӏийса керта а ваьккхина, йоккха, кхел кхайкхочу гӀишло чу а вигна, тӀемалойн ерриге а тоба гулйира.</verse>
				<verse number="17">ТӀаккха Цунна тӀе цӀен оба а кхоьллина, коканийн коьллех кочар а дина, иза Ӏийсан коьрта тӀе диллира.</verse>
				<verse number="18">Цул тӀаьхьа, Ӏийса беларца «декъалвеш», цара бохура: «Декъала хуьлда жуьгтийн къоман Паччахь!»</verse>
				<verse number="19">ТӀаккха Цуьнан коьртах Ӏаса а етташ, Цунна тӀе туйнаш деттара цара. Цул тӀаьхьа, гора а хӀиттина, корта беттаран сурт хӀоттадора Цунна хьалха.</verse>
				<verse number="20">Шаьш Ӏийса аьшнаш вина бевлча, Цунна тӀера цӀен духар дӀа а даьккхина, Шен хӀуманаш тӀеюьйхира цара. ТӀаккха жӀарах дӀатоха дӀавигира Ӏийса.</verse>
				<verse number="21">ТӀаккха шен кха тӀера вогӀу, Искандаран а, Рупан а да волу Къуринара ШамӀа а сацийна, цуьнга Ӏийсан жӀаран бӀогӀам дӀабахьийтира цара.</verse>
				<verse number="22">Ӏийса «Галгатхьа» олучу метте схьавалийра цара (иза «туьтанан меттиг» бохург ду).</verse>
				<verse number="23">Ярийн муттанца эдина чагӀар дала гӀоьртира уьш Цунна, амма Ӏийсас иза ца мелира.</verse>
				<verse number="24">Ӏийса жӀарах дӀатуьйхира. ТӀемалоша, кхаж а тесна, Цуьнан хӀуманаш вовшашлахь йийкъира.</verse>
				<verse number="25">УьссалгӀа сахьт дара Ӏийса жӀарах дӀатухучу хенахь.</verse>
				<verse number="26">Иза стенна бехке ву билгалдоккхуш, уьнна тӀехь яздинера: «Жуьгтийн къоман Паччахь», — аьлла.</verse>
				<verse number="27">Ӏийсаца ши талорхо вара жӀарах дӀатоьхна, цхьаъ Цунна аьтту агӀор, важа аьрру агӀор.</verse>
				<verse number="28">***</verse>
				<verse number="29">Юххехула чекхбовлучара, вон баганаш а етташ, кортош а лестош, бохура Цуьнга: «ХӀай! Делан цӀа доха а дина, кхаа дийнахь дӀахӀоттош верг!</verse>
				<verse number="30">Хьуо кӀелхьара а воккхуш, охьавосса бӀогӀам тӀера».</verse>
				<verse number="31">Царах терра динан коьртачу дайша а, Ӏеламчу наха а, Цунах бела а боьлуш, вовшашка бохура: «Кхиберш кӀелхьара а баьхна, Ша-м кӀелхьара ца ваккхало!</verse>
				<verse number="32">Иза Дала леррина Къобалвинарг а, Исраилан Паччахь а велахь, охьавосса веза-кх хӀинца жӀара тӀера, вайна иза ган а гина, Шех тешийтархьама». Цуьнца дӀатоьхначу талорхоша а сийсазвохура Иза.</verse>
				<verse number="33">Делкъахенахь лаьтта тӀе цӀеххьана бода беара, кхаа сахьтехь лаьттира иза.</verse>
				<verse number="34">Делкъал тӀаьхьа кхо сахьт долучу хенахь, Ӏийсас чӀогӀа мохь туьйхира: «Элой, Элой, лема сабахьтани?» Цу дешнийн маьӀна иштта ду: «Ва Сан Дела! Со хӀунда вити Ахь?»</verse>
				<verse number="35">Генахь боцуш лаьттачара, и хезча, бохура: «Хьажахь, Эли-ЯхӀу-пайхамаре кхойкхуш ву-кх И».</verse>
				<verse number="36">Ткъа цхьаммо ведда, худург кемсийн къонзи чу а Ӏоьттина, иза хьокхана буьххье а йоьллина, Ӏийсага кховдийра, и Цуьнга малийтархьама. «Собар дел, хьовсур ду вай, Эли-ЯхӀу вогӀий те ХӀара жӀаран тӀера дӀаваккха», — элира цо.</verse>
				<verse number="37">Ткъа цу хенахь, чӀогӀа мохь а тоьхна, Ӏийса кхелхира.</verse>
				<verse number="38">ХӀеттахь Делан цӀийнан чохь, уггар езачу чоьнна дуьхьал оьллина кирхьа лакхара дуьйна лаха кхаччалц декъаделира.</verse>
				<verse number="39">Ӏийсана дуьхьал лаьтташ волчу тӀеман хьаькамо, Цо Шен са иштта дӀалуш гича, элира: «И стаг бакъонца Делан КӀант вара».</verse>
				<verse number="40">Геннара хьоьжуш лаьтташ зударий а бара кхузахь: царна юкъахь Магдалера Марем а, жимаха волчу Якъубан а, Юшан а нана Марем а, Шалумат а яра.</verse>
				<verse number="41">Ӏийса Галилай-махкахь волуш, Цунна гӀуллакх деш тӀаьхьахӀиттина бара уьш. Иштта дуккха а Цуьнца цхьаьна Ярушалайме баьхкина болу зударий бара кхузахь.</verse>
				<verse number="42">42-43 Иза пӀераскан де дара, Далла лерина шоьтан дийнан хьалхара долу де. Рамат цӀе йолчу гӀалара а волуш, кхеташонехь лоруш волу декъашхо а волуш, ша а Делан Олалле сатуьйсуш а волчу Юсупа, тӀейогӀуш суьйре йолу дела, Пулатана тӀе ваха бӀо а боьлла, Ӏийсан дакъа схьадийхира.</verse>
				<verse number="43">***</verse>
				<verse number="44">Ӏийса веллий хиъча, Пулата, цецваьлла, тӀеман хьаькам тӀе а кхайкхина, хаьттира цуьнга: «Дукха хан юй И велла?» — аьлла.</verse>
				<verse number="45">ТӀеман хьаькамера хаам хилча, цо дакъа Юсупе дӀадалийтира.</verse>
				<verse number="46">Юсупа, кӀади а эцна, дакъа, жӀара тӀера схьа а даьккхина, кӀади юкъа а хьарчийна, ломах яьккхинчу къубба чу диллира. ТӀаккха къуббанан неӀарна дуьхьал боккха тӀулг карчийра цо.</verse>
				<verse number="47">Ткъа Магдалера Марем а, Юшан нана Марем а Иза дӀа мичахьа вуллу хьоьжуш яра.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="16">
				<verse number="1">Далла лерина шоьтан де дӀадаьллачу хенахь Магдалера Марема а, Якъубан нанас Марема а, Шалумата а хаза хьожа йогӀу хьакхарш ийцира, уьш Ӏийсан докъана хьакхархьама.</verse>
				<verse number="2">Ӏуьйранна, сатосучу хенахь, кӀирандийнахь и зударий къубба йолчу бахара.</verse>
				<verse number="3">Цара вовшашка хоьттура: «Къуббанан неӀарера тӀулг хьан дӀабоккхур бу те вайна?» — бохуш.</verse>
				<verse number="4">Ткъа дӀахьаьжча, тӀулг дӀакарчийна гира зударшна. И тӀулг чӀогӀа боккха бара.</verse>
				<verse number="5">Уьш къубба чу бевлча, аьтту агӀор хиъна, кӀайн духар а долуш, кӀант гира царна. Уьш чӀогӀа Ӏадийнера.</verse>
				<verse number="6">Ткъа цо элира зударшка: «Кхера ма ло. ЖӀарах дӀатоьхна хилла Назартера Ӏийса лоьху аш? Иза денвелла. И кхузахь вац. ХӀара ю Иза охьавиллина хилла меттиг.</verse>
				<verse number="7">Амма аш, гӀой, Цуьнан мурдашка а, Кипе а ала: „Ӏийса Галилай-махка шул хьалхаваьлла гӀур ву, цигахь гур ву шуна Иза, Цо шуьга ма-аллара“».</verse>
				<verse number="8">Зударий, къубба чуьра ара а бевлла, дӀабевдира. Уьш чӀогӀа кхерабаларна боьхнера, цара цхьаьнгге а хӀумма а ца дийцира.</verse>
				<verse number="9">КӀирандийнахь, хьалххе, веллачуьра ден а велла, Ӏийса хьалха Магдалера, шена чуьра ворхӀ жин арадаьккхинчу Маремана дуьхьал хӀоьттира.</verse>
				<verse number="10">Цо яхана шена гинарг Цуьнца хьалха хиллачаьрга, ткъа хӀинца Цунна боьлхуш Ӏаш болчаьрга дӀадийцира.</verse>
				<verse number="11">Амма Ӏийса дийна ву аьлла хезча а, Марема шена Иза гина аьлча а, хӀетте а уьш ца тийшира.</verse>
				<verse number="12">Цул тӀаьхьа мурдех шинна а, уьш юьрта боьлхучу хенахь, кхечу куьцехь а волуш, дуьхьалхӀоьттира Ӏийса.</verse>
				<verse number="13">Цара а, юхабирзича, дӀахаийтира иза кхечаьрга, амма царах а ца тийшира уьш.</verse>
				<verse number="14">ТӀаьххьара а оцу цхьайтта векална а, цара хӀума юучу хенахь, дуьхьалхӀоьттира Ӏийса. Цо тӀехтуьйхира царна церан тешар ца хилар а, дегнаш шагделла хилар а, уьш Ша веллачуьра денвелла гинчарех а ца тешарна.</verse>
				<verse number="15">Цо элира цаьрга: «Дуьне мел ду дӀа а гӀой, массо а адамашна дӀакхайкхабе хаза кхаъ.</verse>
				<verse number="16">Оцу кхоах теша а тешна, ша хих чекхваккхийтинарг кӀелхьарвоккхур ву, ткъа ца тешачунна — кхел хир ю.</verse>
				<verse number="17">Ткъа тешначарна иштта билгалонаш хир ю: Сан цӀарца жинаш а арадохур ду цара, кхечу меттанашца а дуьйцур ду.</verse>
				<verse number="18">Цаьрга лаьхьанаш караэцийтича а, я дӀовш малийтича а зе хир дац царна, цара цомгушчарна тӀе куьйгаш диллича, цомгушнаш толур бу».</verse>
				<verse number="19">Иштта цаьрца къамел динчул тӀаьхьа Ӏийса-Эла, стигала хьала а ваьккхина, Далла аьтту агӀор охьахиира.</verse>
				<verse number="20">Ткъа Цуьнан мурдаша, бахана, массанхьа а хаза кхаъ кхайкхийра. Везачу Эло гӀо дора царна. Мурдаша дахьачу хазачу кхоан дешнаш инзаре билгалонашца чӀагӀдора Цо.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="42">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">Лоруш волу Теапил, Тхуна юкъахь кхочушхиллачу хӀуманех лаьцна дийцар хӀинцале а дукха нах яздан гӀиртира.</verse>
				<verse number="2">Тхуна а оцу хӀуманех лаьцна ма-дарра дийцина, уьш ган а гина, цул тӀаьхьа Делан Дош адамашна юкъахь дӀасадаржочу наха.</verse>
				<verse number="3">И хезнарг дерриг леррина талла а теллина, хьоьга цунах лаьцна ма-дарра яздийр дара аьлла, сацам хилла сан,</verse>
				<verse number="4">айхьа Ӏамийнарг хьуна билггала бакъ дуй хаийтархьама.</verse>
				<verse number="5">ЯхӀуд-махкахь ХӀарод паччахь волчу хенахь Аби-ЯхӀун цӀе йолчу тобанах а волуш, Закри цӀе йолуш цхьа динан да вара. Элисат цӀе йолуш зуда яра цуьнан, АхӀаронан тӀаьхьенах схьаяьлла.</verse>
				<verse number="6">И шиъ Везачу Эло тӀедиллина гӀуллакх леррина кхочушдеш а, Далла хьалха цӀена а дара.</verse>
				<verse number="7">Церан бераш дацара, Элисат доьзалхо ца хуьлуш хиларна. Ший а ханна доккха а дара и шиъ.</verse>
				<verse number="8">Цкъа шайна юкъахь Закри волчу динан дайн тобанан рагӀ кхечира Везачу Элана гӀуллакх дан.</verse>
				<verse number="9">Динан дайн Ӏедалехь ма-хиллара, кхаж тесира. Иштта Закрина кхаж белира Везачу Элан цӀа чохь хаза хьожа йолу хӀума яго.</verse>
				<verse number="10">Цу хенахь оцу цӀенна хьалха дукха адам гулделлера, шаьш гуттар а ма-дарра, цхьаьна ламаз дан.</verse>
				<verse number="11">Закри волчу Везачу Элан малик деара цу хенахь. Хаза хьожа йогӀу хӀума ягочу кхерчана аьтту агӀор дӀахӀоьттира иза.</verse>
				<verse number="12">Иза гина Закри чӀогӀа кхеравелира.</verse>
				<verse number="13">Малико элира цуьнга: «Кхера ма лолахь, Закри! Хьан доӀанна жоп делла: Элисата кӀант вийр ву хьуна. Цуьнан цӀе ахь Яхьъя туьллур ю.</verse>
				<verse number="14">Цунах чӀогӀа воккха а вийр ву хьо. Дукха нахана хазахетар хир ду иза дуьнен чу валарна.</verse>
				<verse number="15">ХӀунда аьлча иза Везачу Элан бӀаьргашна хьалха чӀогӀа сийлахь стаг хир ву, цо цкъа а чагӀар а, кхин йолу вахош йолу хӀуманаш а мер яц. Ненан кийрахь волуш дуьйна Делан Синах вуьзна хир ву иза.</verse>
				<verse number="16">Дукха исраилхой церан Везачу Далла тӀеберзор бу цо.</verse>
				<verse number="17">Везачу Элана хьалха вогӀуш хир ву Яхьъя, Эли-ЯхӀу-пайхамарца хилла долу нуьцкъала са а долуш волу, дайн дегнаш церан берашна тӀе дерзорхьама, аьрханаш, нийсачу новкъа а хӀиттина, Делан лаамехь берш санна хилийтархьама, Веза Эла вале, и кечам бина халкъ дуьхьал хӀотторхьама».</verse>
				<verse number="18">Закрис хаьттира малике: «Со муха тешар ву ахьа бохучух? Со къена ву, сан зуда а хан яьлла ю».</verse>
				<verse number="19">Малико жоп делира: «Хьоьга и хаза кхаъ бахьаш даийтина, Далла гергахь долу Джабраил ду со.</verse>
				<verse number="20">ХӀинца дуьйна хьан мотт соцур бу, и дийцинарг кхочуш хиллалц. Хьан мотт сацар хьо сан дешнех ца тешарна хир ду, ткъа ас дийцинарг шен хенахь билггала хир долуш ду».</verse>
				<verse number="21">Адамаш арахь Закрига хьоьжуш дара, иза Везачу Элан цӀа чохь хьеваларна цец а дуьйлуш.</verse>
				<verse number="22">Закри, араваьлча, вист ца хилалора, цундела куьйга эшарца дийца дийзира цуьнан. Массо а кхийтира, цунна Делан цӀа чохь сурт хӀоьттинийла.</verse>
				<verse number="23">Далла гӀуллакх деш долу денош чекхдевлча, Закри цӀа вирзира.</verse>
				<verse number="24">Дукха хан ялале цуьнан зуда Элисат доьзалхочух хилира. Пхеа баттахь адамех лечкъаш лийлира иза.</verse>
				<verse number="25">Цо бохура: «ХӀара суна Везачу Элера ду! Со хенара йоллушехь, сох къинхетам а бина, нахана хьалха со юьхькӀайчу хӀоттийна Цо».</verse>
				<verse number="26">Элисат доьзалхочух йолу ялхалгӀа бутт болуш, Дала Джабраил-малик дахийтира Галилай-махкара Назарт цӀе йолчу гӀала</verse>
				<verse number="27">Марем цӀе йолу йоӀстаг йолчу. Дауд-паччахьан тӀаьхьенах волчу Юсупца захало дийцина яра Марем.</verse>
				<verse number="28">Иза йолчу а деана, малико элира: «Маршалла ду хьоьга, Дала хьуна диканиг динарг! Веза Эла хьоьца ву!»</verse>
				<verse number="29">И дешнаш бахьана долуш, Марем синтем байна яра, цо ойла йора, хӀун маьӀна долуш ду и маршалла бохуш.</verse>
				<verse number="30">Малико бохура: «Ма кхера, Марем! Дала хьуна диканиг дина!</verse>
				<verse number="31">Хьо берах хир ю, ахь кӀант вийр ву, цуьнан цӀе Ӏийса а туьллур ю ахь.</verse>
				<verse number="32">Иза сийлахь хир ву, Цунах Веза Воккхачун КӀант эр ду. Везачу Дала Цунна Цуьнан ден Даудан паччахьалла лур ду,</verse>
				<verse number="33">гуттар а ерриг Якъубан тӀаьхьенна тӀехь куьйгалла деш хир ву Иза, Цуьнан паччахьалла цкъа а кхачор дац».</verse>
				<verse number="34">«Иза муха хир ду, — хаьттира Марема, — со хӀинца а йоӀстаг ма ю?»</verse>
				<verse number="35">Малико жоп делла: «Хьуна тӀе Делан Са дуьссур ду, Веза Воккхачун ницкъо дӀахьулйийр ю хьо, цундела хьан хиндолу бер Деза хир ду, Цунах Везачу Делан КӀант а эр ду.</verse>
				<verse number="36">Хьан гергара йолчу Элисата а кӀант вийр ву, ша ханна йоккха елахь а. Цунах, иза доьзалхо хуьлуш яц бохуш, дуьйцура, ткъа иза ялхалгӀа бутт бу доьзалхочух йолу.</verse>
				<verse number="37">Деле дан а ца луш хӀумма а ма дац!»</verse>
				<verse number="38">«Со Делан лай ю, — элира Марема, — ахь ма-бохху, дерриг и хуьлийла соьца». Юха малик дӀадахара иза йолчуьра.</verse>
				<verse number="39">Масех де даьлча, Марем сихонца ЯхӀуд-мехкан ламанца йолчу цхьана юьрта яхара.</verse>
				<verse number="40">Закрин цӀа чу а яьлла, Элисате маршалла хаьттира цо.</verse>
				<verse number="41">Элисатна Мареман маршалла хезча, цуьнан кийрара бер тохаделира. Оццу хенахь Элисат Делан Синах юьзира.</verse>
				<verse number="42">Цо элира чӀоггӀа: «Зударшна юкъахь декъала ю хьо! Хьан кийрара бер а ду декъала!</verse>
				<verse number="43">Соьгара хӀун диканиг даьлла теша, сан Элан нана со йолчу ярна?</verse>
				<verse number="44">Хьан маршалла хезча, сан кийрара бер хазахетта тохаделира.</verse>
				<verse number="45">Декъала ю Дала бохург кхочушхиларх тешнарг!»</verse>
				<verse number="46">ТӀаккха Марема элира: «Сан даго къобалво Веза Эла,</verse>
				<verse number="47">Цунна со кӀелхьарйоккхучу Далла доккхадеш ду иза,</verse>
				<verse number="48">хӀунда аьлча Цуьнан лай йолчу сан кӀезиг хиларан тидам бина Цо! ХӀинца массо а тӀаьхьенаша сох декъалниг эр ду,</verse>
				<verse number="49">хӀунда аьлча Нуьцкъалчо суна сийлахь гӀуллакхаш дина дела. Цуьнан цӀе еза ю!</verse>
				<verse number="50">Цуьнан къинхетам тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка Цунах кхоьручарах бу!</verse>
				<verse number="51">Шен нуьцкъалчу куьйгаца Цо сийлахь гӀуллакхаш кхочушдина, Цо, баржийна, дӀасабаьхна шайн дегнашкахь курабевлларш,</verse>
				<verse number="52">паччахьаш шайн гӀанташкара биссийна, ткъа миска нах Цо айина.</verse>
				<verse number="53">Цо мецанаш дикачу кхачанах бузийна, хьалдерш хӀума ца луш дӀабахийтина.</verse>
				<verse number="54">54-55 Цо гӀо дина шен ялхочунна, Исраилан халкъана. Цуьнан дагахь дара ИбрахӀимна а, цуьнан тӀаьхьенна а гуттаренна а къинхетам бан, вайн дайшка Цо ма-аллара».</verse>
				<verse number="55">***</verse>
				<verse number="56">Марем, кхаа баттахь гергга Элисат йолчохь хьошалгӀахь а Ӏийна, цӀа еара.</verse>
				<verse number="57">Хан тӀекхаьчча, Элисата кӀант вира.</verse>
				<verse number="58">Лулахой а, гергарнаш а, ла а дугӀуш, Везачу Эло цунна и дика болх барна, Элисатца цхьаьна хазахеташ, баккхийбеш бара.</verse>
				<verse number="59">БорхӀалгӀачу дийнахь кӀант хадо баьхкинарш цуьнан цӀе шен ден санна Закри тилла дагахь бара.</verse>
				<verse number="60">Амма нанас элира: «ХӀан-хӀа! Цунах Яхьъя эр ду».</verse>
				<verse number="61">Цуьнга элира: «И цӀе йолуш шун гергара цхьа а ма вац!»</verse>
				<verse number="62">Цара куьйга эшарца дега хаьттира, цунна кӀентан цӀе хӀун тилла лаьа аьлла.</verse>
				<verse number="63">Закрис, цхьа жима у а дехна, массо цец а воккхуш, яздира: «Цуьнан цӀе Яхьъя ю».</verse>
				<verse number="64">Оцу сохьта цуьнан мотт паргӀат а баьлла, цуьнга Дела хестош хабар дийцаделира.</verse>
				<verse number="65">Лулахой ларамах буьзира. Хиллачух лаьцна массанхьа а ламанца болчу ЯхӀуд-махкахь дуьйцуш дара.</verse>
				<verse number="66">Массо а, и хезнарш, шайн дагахь а, вовшийн а хоьттуш бара: «Воккха хилча мила хир ву теша и кӀант?» — бохуш. ХӀунда аьлча Везачу Элан ницкъ бара Яхьъяца.</verse>
				<verse number="67">Цуьнан да Закри, Делан Синах а вуьзна, Делера болу хаам бан волавелира:</verse>
				<verse number="68">«Декъала хуьлда Эла, Исраилан халкъан Дела, ван а веана, Шен халкъ безачу мехах паргӀатдаьккхина.</verse>
				<verse number="69">Шен ялхочун Даудан тӀаьхьенах волу нуьцкъала стаг ваийтина Цо вай кӀелхьардаха,</verse>
				<verse number="70">Ша гуттар хьалха Шен безачу пайхамаршкахула ма-баххара.</verse>
				<verse number="71">Цо кӀелхьардохуш ду вай вешан мостагӀех а, вай цадезачеран куьйгех а.</verse>
				<verse number="72">Цо вайн дайх къинхетам а бина, Шен беза барт дагахь латта а бина —</verse>
				<verse number="73">вайн дега ИбрахӀиме йина чӀагӀо. Дала ИбрахӀиме ваӀда дина,</verse>
				<verse number="74">вай мостагӀех кӀелхьардохур ду аьлла, цхьаннах а ца кхоьруш, вайга Шена гӀуллакх дайтархьама,</verse>
				<verse number="75">дуьненахь йоккху хан Цунна хьалха цӀена а, дика а яккхийтархьама.</verse>
				<verse number="76">Ткъа хьох, сан жиманиг, Веза Воккхачун пайхамар эр ду, хӀунда аьлча хьо Везачу Элана хьалха вогӀуш хир ву, Цунна некъ кечбеш,</verse>
				<verse number="77">Цуьнан халкъана церан кӀелхьардовлар къиношна гечдарца дуйла хоуьйтуш.</verse>
				<verse number="78">Вайн Делера болу кӀорга безам бахьана долуш, лакхара йолу серло санна Верг вай долчу вогӀур ву,</verse>
				<verse number="79">Ӏожаллин боданехь Ӏаш берш серлабахархьама а, машаран новкъа вайн когаш бахархьама а».</verse>
				<verse number="80">Жима бер доккха хуьлуш а, синан доьналлица чӀагӀлуш а дара. Иза акхачу, адам кӀезиг долчу меттехь Ӏаш дара, Исраилан халкъана гӀуллакх даллал ша хиллалц.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Оцу деношкахь Август цӀе йолчу паччахьера омра делира, Рим-пачхьалкхера массо а адам дӀаязде аьлла.</verse>
				<verse number="2">Сири-махкахь Куьрна-мехкан куьйгалхо волчу хенахь, адамийн дуьххьарлера дӀаяздар дара иза.</verse>
				<verse number="3">Цундела хӀора а ша схьаваьллачу гӀала вахара дӀаязвала.</verse>
				<verse number="4">Юсуп а вахара Галилайн махкарчу Назарт-гӀалара ЯхӀуд-махка Дауд-паччахь винчу Байтлахам-гӀала, хӀунда аьлча иза Даудан цӀийнах схьаваьлла вара.</verse>
				<verse number="5">Иза, доьзалхочух йолу а, шеца захало дийцина йолу а Марем а эцна, дӀаязвала воьдуш вара.</verse>
				<verse number="6">Уьш Байтлахамехь болуш доьзалхо дуьнен чу волу хан тӀекхечира.</verse>
				<verse number="7">Марема кӀант вира, шен дуьххьарлера доьзалхо. Цо иза, дӀа а хьарчийна, шаьш чохь долчу божалан хьаьвди чу виллира, хӀунда аьлча царна хьешан цӀа чохь меттигаш ца кхаьчнера.</verse>
				<verse number="8">Оцу махкахь арахь буьйсанна шайн жаш лардеш Ӏуй бара.</verse>
				<verse number="9">ЦӀеххьана царна хьалха Везачу Элан малик хӀоьттира, Везачу Элера долчу нуьраца уьш серла а бохуш. ЧӀогӀа кхерабелира Ӏуй.</verse>
				<verse number="10">Малико элира цаьрга: «Кхера ма лолаш! Со шуьга массо а адам даккхийден долу хаза кхаъ бахьаш деана!</verse>
				<verse number="11">Тахана Даудан гӀалахь дуьнен чу ваьлла шу кӀелхьардохург, Веза Эла волу Дала леррина Къобалвинарг.</verse>
				<verse number="12">ХӀара билгало ю шуна: ДӀахьарчийна Бер карор ду шуна хьаьвди чохь».</verse>
				<verse number="13">ЦӀеххьана маликана улло стигалара вуно доккха маликийн эскар доьссира. Цара, Далла хастамаш а беш, бохура:</verse>
				<verse number="14">«Лакхарчу стигалшкахь Далла хастам бу! Дуьнен тӀехь Дела реза волчу адамашна машар бу!»</verse>
				<verse number="15">Маликаш стигала хьаладевлча, Ӏуша вовшашка элира: «Байтлахаме а дахана, цигахь хӀун хилла хьовса деза вай, вайга Везачу Эло баийтинарг хӀун хаам бу».</verse>
				<verse number="16">Уьш цига сихонца бахара. Царна карийра Марем а, Юсуп а, хьаьвданахь Ӏуьллу Бер а.</verse>
				<verse number="17">Бер гиначу цара дийцира, Цунах болу шайга бинчу хаамах лаьцна.</verse>
				<verse number="18">Массо а ладугӀуш верг цецваьллера Ӏуша дийцинчунна.</verse>
				<verse number="19">Ткъа Марема дерриг а хезнарг шен даг чохь латтадора.</verse>
				<verse number="20">Ӏуй юхабирзира, Далла хастам а беш, хӀунда аьлча царна хезнарг а, гинарг а малико цаьрга ма-аллара хиллера.</verse>
				<verse number="21">БорхӀалгӀачу дийнахь кӀант хадо везаш вара. Цуьнан цӀе Ӏийса тиллира. И цӀе цунна малико, иза ненан кийра а вале, тиллина яра.</verse>
				<verse number="22">Муса-пайхамаран товрат-хьехамаш тӀехь яздина ма-хиллара, церан цӀена хуьлу Ӏадатан хан тӀекхаьчча, Марем а, Юсуп а, Ӏийса а эцна, Ярушалайме деара Иза Везачу Элана хьалха хӀотто.</verse>
				<verse number="23">ХӀунда аьлча Везачу Эло товрат тӀехь тӀе-ма-диллара: «Муьлхха а дуьххьарлера боьрша бер Везачу Элана лерина хила деза».</verse>
				<verse number="24">Цул сов, ши къоркхокха я ши кхокха, бен а бейтина, сагӀа даккха дезара, Везачу Эло товратехь ма-аллара.</verse>
				<verse number="25">Цу хенахь Ярушалаймехь ШамӀа цӀе йолуш цхьа стаг вара. Иза чӀогӀа Делах кхоьруш а, дика лелаш а, Исраилан халкъана синтем хиларе сатуьйсуш а стаг вара. Делан Са а дара цуьнца.</verse>
				<verse number="26">Цунна Делан Синера хаам бара, Везачу Эло леррина Къобалвинарг галлалц, иза лийр вац аьлла.</verse>
				<verse number="27">Делан Сино валийра иза Делан цӀийнан керта. Мареммий, Юсуппий, жима Ӏийсай цига баьхкича, Ӏийсана тӀехь, Дала товратахь тӀе-ма-диллара, гӀуллакх дан,</verse>
				<verse number="28">ШамӀас, Ӏийса куьйгаш тӀе схьа а эцна, Далла хастам а беш, элира:</verse>
				<verse number="29">«ХӀинца, Айхьа ма-аллара, садалар атта долуш, Хьайн лай волу со дӀахецахьа, Хьалдолу Эла,</verse>
				<verse number="30">хӀунда аьлча сан бӀаьргашна гира адамаш кӀелхьардоху дерг,</verse>
				<verse number="31">Ахь массо а халкъашна хьалха кечдина долу.</verse>
				<verse number="32">Иза кхечу къаьмнашна Дела гучуваккхаран серло а ю, Хьан Исраилан халкъан сий а ду!»</verse>
				<verse number="33">Дай-наний чӀогӀа цецдаьллера шайн кӀантах лаьцна ШамӀас дийцинчух.</verse>
				<verse number="34">ШамӀас Деле дийхира, уьш къобалбе аьлла. Беран нене Мареме цо элира: «ХӀара бер Дала къобалдина ду, Исраилан халкъана юкъара дукхахберш хӀаллакьхилархьама а, кӀелхьарбахархьама а. ХӀара Бер Дала елла билгало хир ю, амма Кхунна резабоцурш а хир бу.</verse>
				<verse number="35">Иштта, дукхачу адамийн дагахь дерг гучудер ду. Амма хьан дог, тур чекхдаьккхича санна, баланехь хир ду».</verse>
				<verse number="36">Кхузахь яра Ашаран цӀийнах а йолуш, шегахь Делера хаам болуш йолу Пануалан йоӀ Ӏайнаъ. Иза вуно къанъелла яра. Майрачуьнца ворхӀ шо бен цхьаьна даьккхина яцара иза.</verse>
				<verse number="37">Важа йолу хан йисина Ӏаш яьккхинера цо. ХӀинца цуьнан дезткъе диъ шо дара. Иза, Делан цӀийнан кертара дӀа ца йолуш, дийнахь а, буса а Далла марханашца а, доӀанашца а гӀуллакх деш яра.</verse>
				<verse number="38">Оцу хенахь царна тӀееана, цо, Далла баркалла а бохуш, Ярушалайм паргӀатъяккхаре сатуьйсучу нахе оцу Берах лаьцна дуьйцура.</verse>
				<verse number="39">Юсуп а, Марем а Везачу Эло тӀедиллина гӀуллакх дина а даьлла, шайн Галилай-махкарчу Назарт-гӀала юхадирзира.</verse>
				<verse number="40">Ткъа Бер, де дийне мел дели, синца чӀагӀлуш а, хьекъал тӀекхеташ а, кхуьуш дара, Делан дика а дара Цуьнца.</verse>
				<verse number="41">ХӀора шарахь цуьнан да-нана Пасахь олучу дезачу дийнахь Ярушалайме доьдура.</verse>
				<verse number="42">Иштта КӀентан шийтта шо кхаьчча а, дезчу дийнахь Ярушалайме, лам тӀе хьалабевлира уьш, шайн Ӏедалехь ма-хиллара.</verse>
				<verse number="43">Дезде чекхдаьлча, уьш цӀа богӀуш, Ӏийса Ярушалаймехь висира. Дений-нанний иза ца хиира.</verse>
				<verse number="44">Царна моьттура Иза кхечаьрца схьавогӀуш ву. Цхьана дийнахь некъ бинчул тӀаьхьа, Иза гергарчаьргахь а, бевзачаьргахь а леха буьйлабелира уьш.</verse>
				<verse number="45">Иза ца карийча, Ярушалайме юхабаьхкира уьш, Иза лоьхуш.</verse>
				<verse number="46">Кхо де даьлча, карийра царна Иза Делан цӀийнан кертахь. Ӏеламчу нахана юкъахь Ӏаш вара Иза, цаьрга ладоьгӀуш а, хеттарш деш а.</verse>
				<verse number="47">Массо а ладугӀуш берш цецбуьйлура Цуьнан кхетамах а, Цо лучу жоьпех а.</verse>
				<verse number="48">Да-нана цецдаьллера, Иза цигахь а гина. Нанас хаьттира Цуьнга: «КӀант, хӀара хӀун ду ахь тхоьца деш дерг? Хьан да а, со а чӀогӀа сагатдеш, Хьо лоьхуш лелаш ма ду».</verse>
				<verse number="49">«Аш хӀунда лоьху Со? — хаьттира Цо. — Шуна ца хаьара, Со Сайн Да волчохь хила везаш вуйла?»</verse>
				<verse number="50">Амма уьш ца кхийтира Цо аьллачу дешнех.</verse>
				<verse number="51">Иза цаьрца Назарте схьавеара. Цара бохург деш, царна муьтӀахь вара Иза. Ткъа нанас дерриг а хилларг шен даг чохь латтадора.</verse>
				<verse number="52">Ӏийса воккха хуьлуш а, хьекъалца совволуш а вара. Цунна Дела а, нах а реза бара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">Тибар паччахь волу пхийтталгӀа шо долчу хенахь, Понти Пулат ЯхӀуд-махкахь мехкан куьйгалхо волуш, ХӀарод Галилайхь куьйгалхо волуш, цуьнан ваша Пилап и санна Итурейхь а, Трахонехь а куьйгалхо волуш, ткъа Лусан Абали цӀе йолчу меттигехь куьйгалхо волуш,</verse>
				<verse number="2">динан коьрта дай бара Ӏанна а, Кайба а. Оцу шарахь яьссачу арахь Закрин кӀанте Яхьъяга Делера хаам хилира.</verse>
				<verse number="3">Цул тӀаьхьа Яхьъя Йордан-хин бердаш тӀехь болчу махкахула вогӀура. Цо кхайкхам бора нахе: «Далла тӀе а дерзий, шаьш хих чекхдахийта, Деле шайн къиношна гечдайтархьама», — бохуш.</verse>
				<verse number="4">Цуьнан хьехамех лаьцна ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро яздина: «Яьссачу аренгахь кхойкхучун аз хезаш ду: „Везачу Элана некъ кечбе! Нисде Цунна хьалха некъан тачанаш!</verse>
				<verse number="5">ХӀора тогӀи хьалаюзур ю, хӀора лам а, гу а охьахедар бу. Харц некъаш нислур ду, доьхнарш шарлур ду.</verse>
				<verse number="6">Массарна а гур ду Дала адамаш кӀелхьардахар!“»</verse>
				<verse number="7">Хих чекхбахийта баьхкинчу нахе Яхьъяс бохура: «Шу лаьхьанан кӀорнел а чӀогӀа зуламе адамаш ма ду! Хьан бина шуьга, тӀедогӀучу къематан дийнах кӀелхьардовла деза аьлла, хаам?</verse>
				<verse number="8">Шу Далла тӀедирзина делахь, шайн дахарехь иза гайта. „Тхан да ИбрахӀим ву“, — алий, тоам ма бе. Ас боху шуьга, Делан таро ю оцу Ӏохкучу тӀулгех а ИбрахӀимна тӀаьхье ян.</verse>
				<verse number="9">Орамашна тӀехула диг хьалаайина ду: хӀора шена тӀе пайден болу стом ца латтош долу дитт, хада а дой, цӀера юккъе кхуссу».</verse>
				<verse number="10">«Ткъа хӀун де оха?» — бохуш хоьттура наха.</verse>
				<verse number="11">Яхьъяс жоп лора: «Шен ши коч йолчо цхьа а йоцучунна цхьаъ дӀало, шен яа хӀума йолчо изза де».</verse>
				<verse number="12">Ял йоккхуш берш а богӀура шаьш хих чекхбахийта. «Устаз! — хоьттура цара, — оха хӀун дан деза?»</verse>
				<verse number="13">«Нахера совнаха ял ма яккха», — бохура цо цаьрга.</verse>
				<verse number="14">ТӀемалоша хаьттира цуьнга: «Оха хӀун дан деза?» Яхьъяс жоп делира: «Нуьцкъах нахера хӀуманаш схьа ма яха, бехке воцург бехке ма ве, шайн алапах тоам бе».</verse>
				<verse number="15">Адам цхьана хӀумане сатуьйсуш Ӏара, массеран дагахь дара: «Дала леррина Къобалвинарг вуй теша Яхьъя?»</verse>
				<verse number="16">Яхьъяс бохура цаьрга массаьрга а: «Ас шу хих чекхдоху, амма сол нуьцкъалниг вогӀур ву шуна, со Цуьнан мачийн бахтарш дӀадаста а хьакъ вац. Цо Делан Синах дузор а ду, цӀерца а дахчор ду шу.</verse>
				<verse number="17">Цуьнан карахь кӀа ору баьхьа бу, хьаьттахь долу кӀа, цӀан а дина, цӀа чу схьагулдархьама. Ткъа кегаш цкъа а дӀайовш йоцучу цӀера юкъахь ягор ю Цо».</verse>
				<verse number="18">Оцу дешнашца а, кхин дуккха а кхидолчу тӀедожоршца а халкъе хазачу кхоах лаьцна хаамаш бора Яхьъяс.</verse>
				<verse number="19">Цу хенахь Яхьъяс бехке вира махкана тӀехь куьйгалла деш волу ХӀарод, шен вешин зуда ХӀародад ялийна аьлла а, кхин а цуьнгара даьлла зуламаш бахьанехь а.</verse>
				<verse number="20">ХӀарода шегара девллачу зуламашна тӀе кхин цхьаъ а туьйхира: цо Яхьъя чувоьллира.</verse>
				<verse number="21">Схьавеанарг массо а хих чекхвоккхуш, Ӏийса а ваьккхира. Иза доӀа дан хӀоьттира — стигал еллаелира.</verse>
				<verse number="22">Ӏийсана тӀе Делан Са доьссира кхокханан суьртехь. Стигалара аз хезира: «Хьо ву Сан хьоме КӀант! Хьоьца бу Сан лаам!»</verse>
				<verse number="23">Ӏийсан ткъе итт шо гергга дара, Иза Делах лаьцна хьехамаш бан волавелча. Иза, массарна ма-моттара, Юсупан кӀант вара, ткъа Юсуп Ӏелин кӀант вара,</verse>
				<verse number="24">Ӏела Маттатан вара, Маттат Левин вара, Леви Мелхин, Мелхи Яннайн, Яннай Юсупан,</verse>
				<verse number="25">Юсуп Маттит-ЯхӀун, Маттит-ЯхӀу Амосан, Амос Нахьуман, Нахьум Элсин, Элси НагӀайн,</verse>
				<verse number="26">НагӀай Махьатан, Махьат Маттит-ЯхӀун, Маттит-ЯхӀу ШамӀин, ШамӀа Юсахан, Юсах Йовдин,</verse>
				<verse number="27">Йовди Йохьанан, Йохьан Решан, Реша Зурбабелан, Зурбабел Шалтаалан, Шалтаал Неран,</verse>
				<verse number="28">Нера Мелхин, Мелхи Адин, Ади Къосаман, Къосам Ӏелмадин, Ӏелмади Ӏаьран,</verse>
				<verse number="29">Ӏаьр ЮшаӀан, ЮшаӀ ЭлиӀазаран, ЭлиӀазар Йораман, Йорам Маттатан, Маттат Левин,</verse>
				<verse number="30">Леви ШимӀин, ШимӀа ЯхӀудан, ЯхӀуд Юсупан, Юсуп Йонаман, Йонам Элъякъиман,</verse>
				<verse number="31">Элъякъим Мелин, Мели Минадин, Минади Маттетан, Маттет Натин, Ната Даудан,</verse>
				<verse number="32">Дауд Юшаян, Юшай Ӏабадин, Ӏабади БоӀазан, БоӀаз Салманан, Салман Нахьшонан,</verse>
				<verse number="33">Нахьшон Ӏамминадабан, Ӏамминадаб Адманан, Адман Раман, Рам Хьацранин, Хьацрани Парасан, Парас ЯхӀудан,</verse>
				<verse number="34">ЯхӀуд Якъубан, Якъуб Исхьакхан, Исхьакх ИбрахӀиман, ИбрахӀим ТӀахьиран, ТӀахьир Нахьиран,</verse>
				<verse number="35">Нахьир СерагӀан, СерагӀ Рахьун, Рахьу ПалагӀан, ПалагӀ Ӏебаран, Ӏебар Селахьан,</verse>
				<verse number="36">Селахь Къаиман, Къаим Арпахшадан, Арпахшад Шимин, Шима Нохьин, Нохьа ЛемакӀан,</verse>
				<verse number="37">ЛемакӀ Матушалахьан, Матушалахь ХӀанохан, ХӀанох Ярадан, Ярад Махьаллалан, Махьаллал Къаиман,</verse>
				<verse number="38">Къаим Эношан, Энош ШатӀин, ШатӀа Адаман, ткъа Адам — Делан кӀант вара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">Делан Синах вуьззина веара Ӏийса Йордан-хи тӀера. Делан Сино Иза яьссачу метте дӀавигира.</verse>
				<verse number="2">Цо шовзткъа де-буьйса даьккхира цу меттехь. Оцу шовзткъа дийнахь-бусий Иза волчохь иблис дара, ХӀара зуьйш. Ерриг и хан йоккхуш Ӏийсас хӀума ца йиънера. Эххар а мацвеллера Иза.</verse>
				<verse number="3">Иблисо элира Цуьнга: «Хьо Делан КӀант велахь, хӀокху тӀулге бепиг хила ала».</verse>
				<verse number="4">Ӏийсас жоп делира: «„Адам деккъа цхьана баьпках дехаш дац“, — аьлла, яздина ду».</verse>
				<verse number="5">Юха, лаккхарчу метте хьала а ваьккхина, бӀаьрган негӀар тухучу ханна дуьненахь мел йолу пачхьалкхаш гайтира Цунна иблисо.</verse>
				<verse number="6">ТӀаккха иблисо элира: «Хьуна лур ду ас оцу пачхьалкхашна тӀехь олалла дар а, церан сийлалла а, хӀунда аьлча иза дерриг а Дала сайна даларна, сайна луучунна дӀадала йиш ю сан.</verse>
				<verse number="7">И дерриг Хьан хир ду, нагахь санна Ахь суна, Далла санна, Ӏибадат дахь».</verse>
				<verse number="8">Амма Ӏийсас элира: «Яздина ду: „Везачу Далла бен ма де Ӏибадат, Цунна бен гӀуллакх а ма де!“»</verse>
				<verse number="9">Иблисо Ӏийса Ярушалайме а вигина, Делан цӀийнан тхов буьххье хьалаваьккхира. «Хьо Делан КӀант велахь, — элира иблисо, — кхузара чукхоссало.</verse>
				<verse number="10">Яздина ма ду: „Везачу Эло шен маликашка Хьох лаьцна омра дийр ду, Хьо леррина ларве“, — аьлла.</verse>
				<verse number="11">Кхин а яздина ду: „Цара куьйгаш тӀехь дӀахьур ву хьо, хьан ког тӀулгах а ца тасаболуьйтуш“».</verse>
				<verse number="12">Амма Ӏийсас цунна жоп делира: «„Хьайн Веза Дела зе ма гӀерта“, — аьлла, яздина ду».</verse>
				<verse number="13">Ӏийса зийна а даьлла, иблис дӀадахара, юха шен аьтто баллалц.</verse>
				<verse number="14">Ӏийса, Делан Синан ницкъ Шеца болуш, Галилай-махка юхавеара. Цунах лаьцна берриг махкахь дуьйцуш дара.</verse>
				<verse number="15">Церан гуламан цӀеношкахь нахана хьеха волавелира Иза. Массара а хеставора Иза.</verse>
				<verse number="16">Ша кхиинчу Назарт-ГӀала веара Ӏийса. Далла леринчу шоьтан дийнахь, гуттар а Ша ма-варра, жуьгтийн гуламан цӀа чу веара Иза, Дала делла Йозанаш деша.</verse>
				<verse number="17">Цунна схьаделира ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро яздина, хьарчийна тептар. И схьа а даьстина, оьшу меттиг схьа а лехна, дӀадийшира Цо:</verse>
				<verse number="18">«Везачу Элан Са дагца ду сан, хӀунда аьлча Цо со къобалвина мискачарна хаза кхаъ кхайкхо. Цо со хаам бан ваийтина: чубоьхкинарш паргӀат а бохур бу, бӀаьрзечарна серло а лур ю. Со ваийтина ву Ӏазапехь берш мукъабаха,</verse>
				<verse number="19">Везачу Эло Ша нахана дика болх бен йолу хан дӀахаийта».</verse>
				<verse number="20">И дешна а ваьлла, тептар дӀа а хьарчийна, цӀа чохь гӀуллакх дечу стаге дӀаделира Цо. Юха Ӏийса охьахиира. Чохь верг массо а Кхуьнга схьахьоьжуш вара.</verse>
				<verse number="21">Ӏийсас элира: «Тахана кхочушхилла хӀокху тептар тӀехь яздинарг, шуна иза хезачу хенахь».</verse>
				<verse number="22">Массо а, ХӀара къобалвеш, цецваьллера Цуьнан багара схьадолучу дикачу дешнех. Наха вовшашка хоьттура: «Юсупан кӀант ма ву Иза?» — бохуш.</verse>
				<verse number="23">ТӀаккха Ӏийсас элира: «Аша эр ду Соьга, олуш ма-хиллара: „Лор, айхьа-хьайна дарба де“. Цу тӀе а доьгӀна, аш ала мега: „Тхуна хезнера Къапарнамехь хилларг. Кхузахь, Хьо кхиинчу гӀалахь, изза де“, — аьлла».</verse>
				<verse number="24">Юха Ӏийсас тӀетуьйхира: «Ма-дарра бакъ ду: ша схьаваьллачу махкахь пайхамар тӀеоьцуш ца хилар.</verse>
				<verse number="25">Баккъал боху Ас шуьга: Эли-ЯхӀу-пайхамаран заманахь дукха бисина Ӏаш зударий бара Исраилехь. Цу хенахь кхаа шарахь догӀа а ца деана, мацалла хӀоьттинера берриг а махкахь.</verse>
				<verse number="26">Амма оцу зударшна цхьанна а тӀе ца веанера Эли-ЯхӀу, цхьаъ йоцучунна. Иза ЦӀадан-махкара Сарпатера йисина Ӏаш йолу зуда яра.</verse>
				<verse number="27">Дуккха а дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар йолуш нах бара Исраилехь ЭлишаӀ-пайхамар волчу хенахь. Амма оцу нахах даьӀнех цхьа сирийхо НаӀаман воцург цхьа а цӀан ца велира».</verse>
				<verse number="28">И дешнаш хезча, оцу цӀа чохь волу массо а, оьгӀазвахана,</verse>
				<verse number="29">хьалаиккхира. Цара Ӏийса гӀали чуьра араваьккхира. И гӀала тӀехь лаьттачу лома йистте схьа а валийна, Иза Ӏинна чукхосса гӀерташ бара уьш.</verse>
				<verse number="30">Амма Ӏийса, нахана юккъехула а ваьлла, Шен некъахула дӀавахара.</verse>
				<verse number="31">Галилай-махкарчу Къапарнам цӀе йолчу гӀала веара Ӏийса. Далла леринчу шоьтан дийнахь нахана хьехамаш бора Цо.</verse>
				<verse number="32">Массо а, цецволий, Цо дечу къамеле ладоьгӀуш Ӏара, хӀунда аьлча шатайпа ницкъ болуш дара Цуьнан къамел.</verse>
				<verse number="33">Гуламан цӀа чохь жино талхийна цхьа стаг вара. Оцу стага мохь хьаькхира:</verse>
				<verse number="34">«ХӀей, Хьан хӀун гӀуллакх ду тхоьца, Назартара Ӏийса? Тхо хӀаллакдан веана Хьо? Суна хаьа Хьо мила ву — Делан Везаниг!» — бохуш.</verse>
				<verse number="35">Ӏийсас омра дира жине: «ДӀасаца! Цунна чуьра арадала!» — аьлла. Цу нахана юккъехь и стаг охьа а тоьхна, цунна чуьра жин араделира, цу стагана зен а ца деш.</verse>
				<verse number="36">Массо а наха, чӀогӀа цецбевлла, вовшашка хоьттура: «И хӀун хьехам бу? Жинаш, Цуьнан омре ладугӀий, стагана чуьра арадовлу. Царна тӀехь олалла до Цо», — бохуш.</verse>
				<verse number="37">Ӏийсах лаьцна оцу махкахь массо а меттехь дуьйцуш дара.</verse>
				<verse number="38">Ӏийса, гуламан цӀа чуьра ара а ваьлла, ШамӀа волчу цӀа вахара. ШамӀин стуннана дагар долуш Ӏуьллуш яра. Ӏийсага цунна дарба де аьлла, дехнера.</verse>
				<verse number="39">Оцу зудчунна тӀехула а хӀоьттина, дагаре дегӀах дӀакъаста аьлла, омра дира Цо. Дагар дӀаделира, и зуда, хьала а гӀаьттина, кхарна хьошалла дан йолаелира.</verse>
				<verse number="40">Сарахь, малх чубузучу хенахь, цомгуш болу массо а нах балийра Ӏийсана тӀе. Царна хӀоранна тӀе куьйгаш а дохкуш, дарба дира Цо.</verse>
				<verse number="41">Дукхахдолчу адамех жинаш дӀакъаьстира: «Хьо Делан КӀант ву!» — бохуш, маьхьарий а детташ. Ӏийсас царна иза ала ца магадора, хӀунда аьлча царна хаьара Иза, Дала леррина Къобалвинарг вуйла.</verse>
				<verse number="42">ШолгӀачу дийнахь, Ӏуьйранна, цхьа а адам доцучу метте вахара Иза. Амма нах Иза леха хӀиттира, ткъа И волчу а баьхкина, уьш Иза сацо гӀерташ бара, шаьш долчуьра дӀацавахар а доьхуш.</verse>
				<verse number="43">Амма Ӏийсас элира: «Делан Олаллех лаьцна хаза кхаъ баржош, кхечу меттигашка а кхача везаш ву Со, хӀунда аьлча Со оцу балхана ваийтина ву».</verse>
				<verse number="44">ЯхӀуд-махкахь тайп-тайпанчу меттигашка а воьдуш, гуламан цӀеношкахь нахана хьехамаш бора Цо.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">Цкъа Гансарт цӀе йолчу Ӏомана йистехь лаьтташ вара Ӏийса. Дукха адам дара Цунна гонах гулделла, тӀе теӀаш, Делера долчу даше ладогӀархьама.</verse>
				<verse number="2">Ӏийсана берда тӀехь ши жима хинкема гира. Царна чуьра охьабиссина чӀерийлецархой шайн бойнаш цӀанъеш бара.</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха тӀевахана цхьана хинан кеманан дега, ШамӀе, Ша берда йистера кеман тӀехь жимма дӀавига элира Цо. Юха оцу кеманна чу а хиина, нахана хьехам бан волавелира Иза.</verse>
				<verse number="4">Шен къамел чекхдаьлча, Цо ШамӀе элира: «Хи кӀорга долччига дӀадахийта кема! Цигахь шайн бойнаш чутаса, чӀерий лецархьама!»</verse>
				<verse number="5">ШамӀас жоп делира: «Лоруш волу Устаз! Буьйсанна сахиллалц болх бина оха сийсара, амма хӀумма а ца лаьцна. Делахь а, Ахь аларна, бой чу-м тосур ю ас».</verse>
				<verse number="6">Бойнаш чутесча, цара вуно дукха чӀерий лийцира. И бойнаш эттӀал чӀогӀа дукха чӀерий дара царна чохь.</verse>
				<verse number="7">ШамӀагӀара кхечу кеманна тӀехь болу шайн накъостий, куьг а ластийна, схьакхайкхира. Уьш схьабаьхкича, шина а кеманна тӀе чӀерий хьаладехира цара. И чӀерий дукха долуш, хинан кеманаш бухадаххал чӀогӀа дуьзина дара.</verse>
				<verse number="8">ШамӀа-Кипас, и ган а гина, Ӏийсан когашка а воьжна, дехар дира: «Эла! ДӀагӀохьа кхузара, къинош летийна стаг ву-кх со!»</verse>
				<verse number="9">И лецна чӀерий гина, ШамӀа а, цуьнан накъостий а чӀогӀа цецбевлла бара.</verse>
				<verse number="10">Иштта цецваьлла вара Зевадин ши кӀант, Якъуб а, Яхьъя а — ШамӀин накъостий. Ӏийсас элира ШамӀе: «Кхера ца оьшу! ХӀинца дуьйна адамийн синош лецархо хир ву хьо».</verse>
				<verse number="11">Кеманаш берда тӀе хьала а даьхна, шадерг цигахь а дитина, Ӏийсана тӀаьхьахӀиттина дӀабахара уьш.</verse>
				<verse number="12">Цкъа цхьана гӀалахь вара Ӏийса. Оцу гӀалахь вехаш вара цхьа стаг, дӀа ца йоьрзу йолу чкъуран цамгар йолуш. Ӏийса шена гича, Цунна хьалха гора воьжна, дийхира оцу стага: «Эла! Хьайна лиъча, со товийр вара-кх Ахьа», — аьлла.</verse>
				<verse number="13">ДӀакховдийна, цунах дӀа а Ӏоьттина, Ӏийсас элира: «Суна лаьа хьо товала! ЦӀанло!» Оцу сохьта цу стеган дегӀ цӀанделира.</verse>
				<verse number="14">Юха Ӏийсас элира цуьнга: «Кхунах лаций цхьаьнгге хӀумма а ма дийцалахь. Ткъа хӀинца ваха а гӀой, хьо динан дега гайта. Муса-пайхамаро тӀе-ма-диллара, Далла лерина сагӀанаш даха. Хьо товаларан тоьшаллина хир ду иза нахана хьалха».</verse>
				<verse number="15">Амма Ӏийсах лаьцна хабар шуьйра даьржаш дара массо а меттехула. Цунна тӀе дукха адам догӀура: Цуьнга ладогӀа а, дарбанаш дайта а.</verse>
				<verse number="16">Ткъа Ӏийса кест-кеста адам доцучу метте дӀа а воьдий, Деле доӀанаш деш Ӏара.</verse>
				<verse number="17">Цкъа Ӏийса нахана хьоьхуш волчу хенахь, И волчу цӀа чохь динан куьйгалхой бара. Царах цхьаберш парушхой бара, вуьш Ӏелам нах бара. Уьш Галилай-мехкан а, ЯхӀуд-мехкан а мел йолчу гӀаланашкара а, Ярушалаймера а баьхкинера. Нахана дарбанаш лелорхьама, Ӏийсаца Везачу Элан ницкъ бара.</verse>
				<verse number="18">ДегӀан меженаш лела а ца луш, меттахь Ӏуьллуш волу цомгуш стаг валош цхьа нах баьхкира. ЦӀа чу а ваьхьна, иза Ӏийсана хьалха вилла гӀерташ бара уьш.</verse>
				<verse number="19">Амма цӀенна гонахьа дукха нах хиларна, иза чувохьийла а ца хилла, и цомгуш стаг а эцна, тхов тӀе хьала а бевлла, нийса болчу цу тховх Ӏуьрг а даьккхина, цӀа чу биссира уьш. Цомгуш верг шен мотт-гӀайбица нахана юккъе а веана, Ӏийсана хьалха охьавиллира цара.</verse>
				<verse number="20">Церан Шех тешар а гина, Ӏийсас элира: «ДоттагӀа! Хьан къиношна гечдина», — аьлла.</verse>
				<verse number="21">ТӀаккха Ӏелам наха а, парушхоша а шайн дагахь бохура: «И ма Ӏеса къамел ду Цо деш дерг. Иза мила ву? Къиношна гечдан хьенан бакъо ю, цхьа Дела воцучун?»</verse>
				<verse number="22">Амма Ӏийсас, церан дог-ойла хууш, элира: «Иштта ойланаш хӀунда йо аш?</verse>
				<verse number="23">ХӀун ду атта ала: „Хьан къиношна гечдина“, я „Хьала а гӀаттий, дӀагӀо“?</verse>
				<verse number="24">Амма Суна лаьа шуна хаийта Адамийн КӀентан дуьнен чохь къиношна гечдан олалла дуйла», — аьлла, цомгуш волчу стаге Цо элира: «Ас боху хьоьга, хьала а гӀаттий, хьайн мотт-гӀайба схьа а эций, цӀа гӀуо!»</verse>
				<verse number="25">Оцу сохьта и цомгуш верг, хьала а гӀаьттина, шен мотт-гӀайба схьа а эцна, цӀа вахара, Далла хастамаш а беш.</verse>
				<verse number="26">Чохь берш инзарбевллера. Деле болчу ларамах дегнаш дуьзна, цара бохура: «Вайна тахана гинарг инзаре тамашийна хӀума ду!»</verse>
				<verse number="27">Цул тӀаьхьа, ара а ваьлла, схьавогӀуш, ял йоккхуш волу, Леви цӀе йолу цхьа стаг гира Ӏийсана. Леви ял схьагулъеш болчеран бун чохь Ӏаш вара. Ӏийсас элира цуьнга: «Суна тӀаьххье схьавола!»</verse>
				<verse number="28">Леви, дерриг охьа а тесна, Ӏийсана тӀаьххье дӀавахара.</verse>
				<verse number="29">Левис шен цӀахь Ӏийсана доккха той хӀоттийра. Дукха адам дара цигахь. Ял йоккхуш берш а, кхин нах а бара цаьрца хӀума юуш.</verse>
				<verse number="30">Парушхоша а, Ӏеламчу наха а, резабоцуш, Ӏийсан мурдашка бохура: «И муха мегар ду? Ял йоккхуш болчу а, къинош летийна болчу а нахаца дууш, молуш ма ду шу?»</verse>
				<verse number="31">Царна жоп луш, Ӏийсас элира: «Могуш болчарна лор оьшуш вац, цомгуш болчарний бен.</verse>
				<verse number="32">Бакъахьара лелачаьрга кхайкхам бан ца веана Со, къинош летийначаьрга метта а дуьйлий, Далла тӀедерза ала веана».</verse>
				<verse number="33">Юха цара элира Ӏийсага: «Яхьъян мурдаш кест-кеста марха кхобуш а, ламаз деш а бу, иштта бу парушхойн мурдаш а, ткъа Хьан мурдаш дууш а, молуш а бу».</verse>
				<verse number="34">Ӏийсас царна жоп делира: «Масала, зуда ялийна меттиг хилча, зуда ялош волчун накъостий, и стаг шайна юкъахь мел ву, марха кхобур дуй, шаьш гӀайгӀане хилар гойтуш?</verse>
				<verse number="35">Цхьа хан а еана, и зуда ялийнарг дӀавигча, тӀаккха даарх, маларх херабевлла, сингаттаме хир бу уьш».</verse>
				<verse number="36">Юха Ӏийсас царна цхьа хьекъале дустар далийра: «Цхьаммо а ширачу духар тӀе, керлачу тӀера схьа а яьккхина, йома латор яц, хӀунда аьлча керла духар а дохор ду, ширачу духар тӀехь керла йома товр яц.</verse>
				<verse number="37">Цхьаммо а керла чагӀар ширачу пӀаьлдиг чу ца дутту, хӀунда аьлча и пӀаьлдиг а бетӀар бу, чагӀар а Ӏенар ду.</verse>
				<verse number="38">Керла чагӀар керлачу пӀаьлдиг чу дотта деза.</verse>
				<verse number="39">Цхьаммо а шира чагӀар а мелла, юха керланиг мер дац, хӀунда аьлча цо эр ду: „Шираниг гӀолехь ду“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="6">
				<verse number="1">Цкъа шоьтан дийнахь кӀа дийначу арахула схьавогӀуш вара Ӏийса. Цуьнан мурдаш, кӀен кенаш схьа а дохуш, хьекха а деш, буьртигаш дууш бара.</verse>
				<verse number="2">И гиначу цхьаболчу парушхоша элира: «И хӀун ду аш деш дерг? Дала кхоьллинчу шоьтан садоӀучу дийнахь дан мегаш доцу гӀуллакх хӀунда до аша?»</verse>
				<verse number="3">Ӏийсас царна жоп делира: «Аша ца дешна Дауд-паччахьо ша а, шен накъостий а мацбелча, динчух лаьцна?</verse>
				<verse number="4">Иза Делан цӀа чу а веана, Далла къобалдина долу бепиг схьа а эцна, ша а диина цо, шеца болчу накъосташна а делла. Ткъа и бепиг динан дайшна бен даа мегаш ца хилла».</verse>
				<verse number="5">КхидӀа а Ӏийсас элира: «Адамийн КӀант Дала кхоьллинчу шоьтан денна тӀехь а Эла ву».</verse>
				<verse number="6">Цкъа кхечу шоьтан дийнахь, гуламан цӀа чу а веана, нахана хьехам беш вара Ӏийса. Цигахь аьтту куьг заьӀап долуш цхьа стаг вара.</verse>
				<verse number="7">Парушхой а, Ӏелам нах а чӀогӀа Ӏийса тергалвеш бара, Далла леринчу шоьтан дийнахь Цо дарба до я ца до хьоьжуш, юха Иза бехке вархьама.</verse>
				<verse number="8">Ӏийсана церан дагахь дерг хаьара. Цо элира куьг заьӀап долчу стаге: «Хьала а гӀаттий, массарна хьалха дӀахӀотта». Важа, хьалха а ваьлла, дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="9">ТӀаккха Ӏийсас элира цаьрга: «Ас хоьтту шуьга: хӀун боху бакъоно, Далла леринчу шоьтан дийнахь я дика, я вон хӀун дан мегаш ду? Стеган дахар кӀелхьардаккха я иза хӀаллакдан?»</verse>
				<verse number="10">ТӀаккха массаьрга а хьаьжна, цхьа а вист ца хилча, Цо элира куьг заьӀап долчу стаге: «Схьакховдаде хьайн куьг!» Вукхо куьг схьакховдийра — иза тоделира.</verse>
				<verse number="11">Парушхой а, Ӏелам нах а, оьгӀазлонна кхехка а кхехкаш, шайна юкъахь къамелаш деш бара, Ӏийсана хӀун дийр дара бохуш.</verse>
				<verse number="12">Ишттачу цхьана дийнахь лам тӀе хьалавелира Ӏийса Деле доӀа дан. Ерриг буьйса яьккхира Цо Деле доӀанаш деш.</verse>
				<verse number="13">ШолгӀачу дийнахь Цо, Шен мурдаш схьа а кхайкхина, царна юкъара шийтта хаьржира. Царах Цо векалш элира. Уьш бара:</verse>
				<verse number="14">ШамӀа, шех тӀаьхьа Ӏийсас Кипа аьлла цӀе тиллинарг, цуьнан ваша Ӏандар, Якъуб, Яхьъя, Пилап, Барталамай,</verse>
				<verse number="15">Маттай, ТӀама, ХӀалпайн кӀант Якъуб, ШамӀа, ша тӀелаьцнарг тӀевирззина кхочушдан гӀертарг,</verse>
				<verse number="16">Якъубан кӀант ЯхӀуд, иштта шех ЯхӀуд-Искархо олу, тӀаьхьа ямартхо хилларг а.</verse>
				<verse number="17">Ӏийса Шен векалшца, лам тӀера чувуссуш, нийсачу меттехь сецира. Цигахь Кхуьнан мурдаш а, кхин дуккха а нах бара ЯхӀуд-махкара а, Ярушалаймера а, хӀордан йистерачу Цора а, ЦӀадан а цӀе йолчу гӀаланашкара.</verse>
				<verse number="18">Уьш Ӏийсага ладогӀа а, шайна дарбанаш дайта а баьхкинера. Харцжинаша хьийзош болчу нахана дарба дира Цо.</verse>
				<verse number="19">ХӀора а Ӏийсах куьг Ӏотта гӀерташ вара, хӀунда аьлча Кхунах схьаболучу ницкъо царна дарба дора.</verse>
				<verse number="20">Шен мурдашка а хьаьжна, Ӏийсас элира: «Дала декъала до шу, къенаш, хӀунда аьлча Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь ду шу.</verse>
				<verse number="21">Дала декъаладо шу, хӀинца меца дерш, хӀунда аьлча тӀейогӀучу хенахь дуьзна хир ду шу. Дала декъаладо шу, хӀинца доьлхуш дерш, хӀунда аьлча тӀейогӀучу хенахь доьлур ду шу.</verse>
				<verse number="22">Дала декъаладо шу, нахана шу ца дезачу хенахь, цара шу лоьхкучу хенахь, шу сийсаздеш, цӀе бехъечу хенахь, Адамийн КӀантах шу тешна дела.</verse>
				<verse number="23">И де тӀекхаьчча, халхадийла, самукъане хила, хӀунда аьлча йоккха ял хир ю шуна стигалшкахь. Иштта харцо лелош церан дай пайхамаршца а хилла.</verse>
				<verse number="24">Амма къа ду шун, хьолахой, хӀунда аьлча хӀинца синтеме ду шу.</verse>
				<verse number="25">Къа ду шун, хӀинца дуьзнарш, хӀунда аьлча тӀейогӀучу хенахь меца хир ду шу. Къа ду шун, хӀинца доьлуш дерш, хӀунда аьлча тӀейогӀучу хенахь шун бӀаьргех хин тачанаш оьхур ду.</verse>
				<verse number="26">Къа ду шун наха шух лаьцна диканиг олуш хилча, хӀунда аьлча иштта харцпайхамарш церан дайша а хестийна».</verse>
				<verse number="27">«Амма шуьга, Соьга ладугӀучаьрга, боху Ас: Шайн мостагӀий беза, шаьш ца дезачарна диканиг де,</verse>
				<verse number="28">шайна неӀалт кхайкхош берш декъалбе, шайна халахетар дечарах лаций доӀанаш де.</verse>
				<verse number="29">Хьайна цхьана бесни тӀе тӀара тоьхнехь, важа бесни кӀел хӀоттае. Нагахь санна цхьаммо хьан тӀехулара бедар хьоьгара дӀаяьккхинехь, цунна дуьхьало ма е бухалара коч хьоьгара дӀайоккхуш.</verse>
				<verse number="30">ХӀора доьхуш волчунна цо доьхург дӀало. Нагахь санна хьан долахь дерг цхьаммо дӀаэцнехь, иза юха ма деха.</verse>
				<verse number="31">Нахаца, уьш шайца хила ма-лаъара, хила.</verse>
				<verse number="32">Нагахь санна шу дезаш берш шуна безча, шуна баркалла ца догӀу. Къинош летийначарна а ма беза шаьш безарш.</verse>
				<verse number="33">Нагахь аш шайна дика болх биначарна дика болх бинехь, шуна баркалла ца догӀу. Къинош летийначара а ма до изза.</verse>
				<verse number="34">Нагахь санна шайна схьалур дуй хуучу нахе бен аш духалург ца лахь, шуна баркалла ца догӀу. Къинош летийначара а ма ло духалург, юха декхар схьаэцархьама.</verse>
				<verse number="35">Амма аш кхечу тайпана дан деза: шайн мостагӀий беза, диканиг де, духалург ло, схьадаларе а ца хьоьжуш, тӀаккха шуна лун йолу ял еза хир ю: шу Веза Воккхачун бераш хир ду, хӀунда аьлча Дела Ша а къинхетаме ву вочу а, шайна динчу диканна хама ца бечу а нахаца.</verse>
				<verse number="36">Къинхетаме хила, стигалара шайн Да къинхетаме ма-хиллара».</verse>
				<verse number="37">«Цхьанна а кхел ма е, Дала шуна а кхел йийр яц. Цхьа а бехке ма ве, Дала шу а бехке дийр дац. КъинтӀерадовла нахана, Дела шуна а къинтӀера вер ву.</verse>
				<verse number="38">Нахана оьшург дӀало, Дала шуна а лур ду шуна оьшург. Ластийча, дуьзна тӀехула оьхучу сахь чохь лур ду шуна догӀург. Аша нехан ма-хаддора, Дала шун а хадор бу мах».</verse>
				<verse number="39">ТӀаккха Ӏийсас иштта цхьа хьекъале дустар далийра царна: «БӀаьрзечуьнга бӀаьрзениг дӀавигалур вуй? И шиъ ший а ор чу вужур ма ву.</verse>
				<verse number="40">Мурд шен устазал лакхара вац. Дешна ваьлча, дӀанислур ву иза шен устазе.</verse>
				<verse number="41">Хьайна уллохь волчун бӀаьргара чамхалге хӀунда хьоьжу хьо, хьайн бӀаьргара хен а ца гуш?</verse>
				<verse number="42">Муха эр ду ахь цуьнга: „Ваша, хьайн бӀаьргара чамхалг дӀаяккхийтахьа соьга“, хьуна хьайн бӀаьргара хен гуш ца хилча? Шалхонча! Цкъа хьалха хьайн бӀаьргара хен дӀа а баккхий, хьайн бӀаьрса тоделча, тӀаккха вешин бӀаьргара чамхалг дӀаяккха».</verse>
				<verse number="43">«Дикачу дитто вон стоьмаш ца ло, вочу дитто диканаш ца ло</verse>
				<verse number="44">Дитт шен стоьмашка хьаьжжина девза. Массарна а хаьа, коканийн кулла тӀера комарш ца гулйой а, хьаьрмак кулла тӀера кемсаш ца йохий а.</verse>
				<verse number="45">Дикачу стеган даг чуьра диканиг долу, вочу стеган даг чуьра вониг долу. Стеган даг тӀехь дерг цуьнан матта тӀехь а ду».</verse>
				<verse number="46">«Нагахь санна аш Сох „Эла“ олуш делахь, тӀаккха аш Ас бохург дан деза.</verse>
				<verse number="47">ХӀора Со волчу вогӀуш верг, Сан дешнашка ладугӀуш верг, уьш кхочушдеш верг — Ас гойтур ду шуна, и хьанах тера ву.</verse>
				<verse number="48">Иза цӀа дечу стагах тера ву. Оцу стага, кӀоргга ахка а аьхкина, тархана тӀехь бух боьттина. Хи, хьала а даьлла, оцу цӀенна тӀе хьаьдча, цо цӀа меттах а ца даьккхина, хӀунда аьлча иза дика дина долу дела.</verse>
				<verse number="49">Ткъа важа, Соьга ла а доьгӀна, Ас бохург ца динарг — иза лаьтта тӀехь, боьттина бух а боцуш, цӀа динчух тера ву. Хи, хьала а даьлла, пенаш тӀе хьаьдча, и цӀа доьхна дӀадаьлла, цунах боккха барз бисина».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="7">
				<verse number="1">ЛадугӀуш болчаьрга деш долу Шен къамел чекх а даьккхина, Ӏийса Къапарнам-гӀали чу вахара.</verse>
				<verse number="2">Цигахь цхьа римхойн эскарера тӀемалойн хьаькам вара Ӏаш. Оцу хьаькаман цунна чӀогӀа дукхавезаш волу ялхо, цомгуш а хилла, вала воллуш Ӏуьллуш вара.</verse>
				<verse number="3">Ӏийсах лаьцна шена хезча, И волчу жуьгтийн баккхий нах бахийтира цо дехарца, ван а веана, шен ялхо кӀелхьарваккхахьара аьлла.</verse>
				<verse number="4">Баккхий нах, Ӏийса волчу а баьхкина, Цуьнга деха хӀиттира: «И хьаькам Ахь гӀо дан хьакъ ву.</verse>
				<verse number="5">Цунна вайн къам дукхадеза. Цо вайна гуламан цӀа а дина», — аьлла.</verse>
				<verse number="6">Ӏийса цаьрца и хьаькам Ӏаш волчу вахара. ЦӀенна хӀорш гергакхаьчча, хьаькамо шен накъостий дуьхьал бахкийтира Ӏийсага дӀаала: «Эла! Хьайна хало ма е! Со хьакъ вац Хьо сан тхов кӀел ван.</verse>
				<verse number="7">ХӀунда аьлча ас со Хьуна дуьхьал ван а хьакъ ца лору. Амма Ахь цхьа дош аьлча, сан ялхо толур вара.</verse>
				<verse number="8">Иза суна дика хаьа, хӀунда аьлча суна тӀехь лаьтташ а ву хьаькам. Сан сайн карахь а бу тӀемалой. Аса „Валол!“ аьлча, царах муьлхха а ваха веззачу дӀавоьду. Вукхуьнга „Схьавоьл кхуза!“ аьлча, иза схьавогӀу. Сайн ялхочуьнга „Иза де!“ олу, цо и гӀуллакх до».</verse>
				<verse number="9">Оцу дешнашка ла а доьгӀна, чӀогӀа цецваьллачу Ӏийсас, юха а вирзина, Шена тӀаьхьа богӀучу нахе элира: «Ас боху шуьга, исраилхошна юкъахь а ца гина Суна оцу стеган санна Делах тешар».</verse>
				<verse number="10">Хьаькамо бахкийтина нах цӀа баьхкича, ялхо товелла карийра царна.</verse>
				<verse number="11">Цул тӀаьхьа дукха хан ялале Ӏийса Наин цӀе йолчу гӀала вахара. Цуьнан мурдаш а, кхин дуккха а нах бахара Цуьнца цига.</verse>
				<verse number="12">Оцу гӀалин кевнна йистте кхаьчча, Кхунна дуьхьал адамийн йоккха тоба кхийтира. Уьш гӀали чуьра велла кӀант вахьаш богӀуш бара. И велларг йисина Ӏачу зудчун цхьаъ бен воцу кӀант вара. Оцу зудчуьнца гӀалара схьадогӀуш дукха адам дара.</verse>
				<verse number="13">И зуда гина, цунах чӀогӀа къахийтира Везачу Элана. Цо элира цуьнга: «Ма елха!» — аьлла.</verse>
				<verse number="14">Юха тӀевахана барамах куьг Ӏоьттира Цо. Барам бахьаш богӀу нах севцира. Ӏийсас элира: «КӀант, хьоьга боху Ас: хьалагӀатта!»</verse>
				<verse number="15">Велларг, ден а велла, кӀегар а хиина, вистхилира. Ӏийсас иза нене дӀавелира.</verse>
				<verse number="16">Массо а Деле болчу ларамах буьзира. Юха Далла хастамаш бан хӀиттира уьш. Цхьаболчара бохура: «Веза пайхамар веана вайна юкъа». Вукхара бохура: «Дела веана Шен халкъана гӀо дан».</verse>
				<verse number="17">Ӏийсах лаьцна и хабар берриг ЯхӀуд махкахула а, цунна гондахьа болчу мехкашкахула а дӀасадаьржира.</verse>
				<verse number="18">Яхьъян мурдаша дийцира цунна Ӏийсас динчух лаьцна.</verse>
				<verse number="19">Яхьъяс, царах шиъ схьа а кхайкхина, Веза Эла волчу вахийтира Цуьнга хатта: «Хьо вуй и ван везаш верг, я кхечуьнга хьежа деза тхо?» — аьлла.</verse>
				<verse number="20">Вахийтинчу шиммо, Ӏийса волчу а веана, элира: «Нах хих чекхбохучу Яхьъяс дахкийтина тхо Хьоьга хатта: „Хьо вуй и ван везаш верг, я кхечуьнга хьежа деза тхо?“ — аьлла».</verse>
				<verse number="21">Оцу хенахь Ӏийсас дукха нах тобора халчу цамгарех, вочу жинех, дуккха а бӀаьрзечарна бӀаьрса а лора.</verse>
				<verse number="22">Цо элира ваийтинчу шинга: «Ваха а гӀой, Яхьъяна дийца кхузахь шаьшшинна гиначух а, хезначух а лаций. БӀаьрзечарна бӀаьрса ло, астагӀнаш нийса дӀалела, ца йоьрзуш йолу чкъуран цамгар ерш цӀанло цу цамгарх, къорачарна хеза, белларш денло, къечарна хаза кхаъ кхайкхабо.</verse>
				<verse number="23">Декъала ву Сох шек воцург».</verse>
				<verse number="24">Яхьъяс бахкийтина нах дӀабахча, Ӏийса адамийн тобанна Яхьъях лаьцна дийца волавелира: «Шу яьссачу аренга стенга хьовса даханера? Мохо лесточу эрзе хьовса-м ца даханера шу?</verse>
				<verse number="25">ХӀан-хӀа. Ткъа стенга хьажа даханера? Хаза хӀума тӀеюьйхинчу стаге хьажа дахнера? ХӀан-хӀа. Исбаьхьа бедарш юьйхина а, дезачу хьолахь болу а нах паччахьан гӀаланаш чохь Ӏаш бу.</verse>
				<verse number="26">Ткъа хьаьнга хьовса дахнера шу? Пайхамаре хьовса дахнера? ХӀаъ, боху Аса шуьга. Яхьъя вукху пайхамарел лакхара ву.</verse>
				<verse number="27">Цунах лаьцна Делан Йозанаш тӀехь яздина ду: „Хьажал! Ас Хьуна хьалха Сайн геланча воуьйту. Цо Хьуна некъ кечбийр бу!“</verse>
				<verse number="28">Ас боху шуьга: кху дуьнен тӀе бевллачарна юкъахь Яхьъял лакхара стаг вац. Амма Делан Олалла тӀелаьцначарна юкъахь уггаре а лахарниг а цул лакхара ву.</verse>
				<verse number="29">Яхьъяга ладугӀуш хилла болчу наха, ял йоккхуш болчара а тӀехь, Делан лаам тӀе а лаьцна, Иза къобал а вина, Яхьъяга шаьш хих чекхбахийтира.</verse>
				<verse number="30">Амма парушхошна а, Ӏеламчу нахана а, Делан лаам тӀе а ца лаьцна, Яхьъяга шаьш хих бахийта ца лиира.</verse>
				<verse number="31">Хьаьнца буста мегар бу таханлера нах? Хьанах тера бу уьш?</verse>
				<verse number="32">Уьш базаран майданахь ловзучу берех тера бу. Цара боху вовшашка: „Оха шун дуьхьа шедаг лекхира, ткъа шу халха а ца девлира! Оха шуна гӀийла эшарш лекхира, ткъа шу гӀайгӀане а ца хилира!“</verse>
				<verse number="33">Хих нах чекхбоху Яхьъя веара. Цо бепиг ца дуура, чагӀар ца молура. Аш цунах лаьцна олура: „Иза жинаша хьийзош волу стаг ву“.</verse>
				<verse number="34">Цул тӀаьхьа Адамийн КӀант веара. Цо яа а йоура, мала а молура. Аш Цунах: „Хьовсал цу адаме! И юуш ву, молуш ву, ял йоккхучийн а, къинош летийначийн а доттагӀа ву“, — олура.</verse>
				<verse number="35">Амма Делера долу хьекъал бакъдо и схьаэцначу берриг а наха».</verse>
				<verse number="36">Цхьана парушхочо ша волчу шуьне кхайкхира Ӏийсага. Ӏийса, и парушхо волчу а вахана, хӀума юучу меттехь дӀатаьӀна, агӀорваьлла Ӏара.</verse>
				<verse number="37">Оцу гӀалахь вон цӀе йоккхуш, цхьа зуда яра, дукха къинош долуш. Ӏийса парушхо волчохь хьошалгӀахь ву аьлла хезча, цига еара иза, мехалчу кхаби чохь хаза хьожа йогӀуш долу, дегӀан меженашна хьокху даьтта а дахьаш.</verse>
				<verse number="38">Ӏийсана тӀехьа, когашка дӀа а хӀоьттина, йоьлхуш, бӀаьрхиш Цуьнан когаш тӀе а Ӏенош, юха шен ехачу месашца уьш дӀа а дохуш, Цуьнан когаш бакъа а беш, царах барташ бохура, царна тӀе хаза хьожа йогӀу даьтта дуьттура цо.</verse>
				<verse number="39">И гина, Ӏийса хьошалгӀа кхайкхинчу парушхочо шен дагахь ойла йира: «Нагахь санна и стаг пайхамар велахь, Цунна хьалхе дуьйна хиъна хир ду-кх, Шех куьйгаш Ӏуьттуш йолу зуда къинош летийна юйла».</verse>
				<verse number="40">Юха Ӏийсас элира цуьнга: «ШамӀа, хьоьга цхьа хӀума ала лаьа Суна». Вукхо жоп делира: «Алахьа, Устаз!» — аьлла.</verse>
				<verse number="41">«Цхьана стеган ши декхархо хилла, — волавелира Ӏийса. — Цхьаъ пхи бӀе дато динари-ахча дала дезаш хилла цунна, важа шовзткъе итт.</verse>
				<verse number="42">Я цхьаннан, я шолгӀачун дӀадала ахча ца хилла. ТӀаккха ахча долчо, цу шинне геч а дина, и ахча дитина. Шина декхархочух ахчанан да алсам хьанна дукхавезар ву аьлла хета хьуна?»</verse>
				<verse number="43">ШамӀас элира: «Суна схьахетарехь, декхар алсам долуш гечдинчунна алсам везар ву-кх и», — аьлла. «Нийса боху ахь», — элира Ӏийсас.</verse>
				<verse number="44">ТӀаккха, зудчуьнгахьа дӀа а вирзина, Цо ШамӀе элира: «Хьуна гуш юй и зуда? Со хьан чу веача, ахь Суна когаш била хи а ца делира, ткъа цо шен бӀаьрхишца Сан когаш башош, шен месашца уьш бакъийра.</verse>
				<verse number="45">Со хьан чу ваьлча, ахь, Соьга маршалла хоттуш, барт ца баьккхира, ткъа и зуда, Со кхуза веачахьана, Сан когех барташ бохуш ю.</verse>
				<verse number="46">Ахь Сан коьртах ур-атталла дораха зайтдаьтта а ца хьаькхира, ткъа цо Сан когаш тӀе деза, хаза хьожа йогӀу даьтта дуьтту.</verse>
				<verse number="47">Ас боху хьоьга: цо оццул боккха безам гайтина, шен къиношна гечдина дела. Ткъа кӀезиг гечдинчо кӀезиг безам гойту».</verse>
				<verse number="48">Ӏийсас цу зудчуьнга элира: «Хьан къиношна гечдина».</verse>
				<verse number="49">Кхиболу хьеший ойла еш бара: «И мила ву, къиношна а гечдеш?»</verse>
				<verse number="50">Ӏийсас цу зудчуьнга кхин а элира: «Хьан тешаро кӀелхьаръяьккхина хьо. ДӀаяло хьайна маьрша».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="8">
				<verse number="1">Цул тӀаьхьа Ӏийса гӀаланашкахула а, ярташкахула а чекхволура, Делан Олаллех лаьцна хаза кхаъ кхайкхош. Шен шийтта векал вара Цуьнца,</verse>
				<verse number="2">кхин масех зуда а, Цо жинех а, цамгарех а тойина йолу: шена чуьра ворхӀ жин схьадаьлла йолу Магдал-юьртара Марем а,</verse>
				<verse number="3">ХӀародан цӀен чохь куьйгалла деш волчу Хьозан зуда Яхьани а, Шушан а, кхин дуккха а берш. Оцу зударша шайн хьола тӀера дакъа луш гӀо дора Ӏийсана.</verse>
				<verse number="4">Ӏийса волчу дукха нах тӀеоьхура маьӀ-маьӀӀера. Цо царна цхьа хьекъале дустар далийра:</verse>
				<verse number="5">«Цхьа ахархо шен кха тӀе хӀу таса араваьлла. Цо хӀу тосучу хенахь цхьадолу буьртигаш некъан йистехула охьаэгна хилла. Схьадаьхкинчу олхазарша уьш дӀадиъна.</verse>
				<verse number="6">Кхидолу буьртигаш тӀулгаш долчу лаьтта тӀе ийгира. Церан зӀийдигаш гучуевлча, уьш якъаелира, хи а ца тоьъна.</verse>
				<verse number="7">Кхидерш коканийн коьллаш юкъа ийгира, амма коьллаша, юкъ а елла, хӀун зӀийдигаш къайлаехира.</verse>
				<verse number="8">Ткъа важа долу хӀу дика латта долчохь нисделира. Хьала а девлла, дӀадийначул бӀозза сов ялта делира цара». И дийцар чекх а даьккхина, Ӏийсас чӀоггӀа элира: «Лергаш долчунна хӀара хезийла!»</verse>
				<verse number="9">Цуьнан мурдаша хаьттира Цуьнга, хӀун маьӀна долуш ду и дийцар аьлла.</verse>
				<verse number="10">Ӏийсас элира: «Шун таро ю Делан Олаллех йолу къайленаш йовза, ткъа кхечаьрга Ас ишттачу дустаршца дуьйцу, уьш „хьоьжуш боллушехь, царна хӀумма а ца гархьама, ладугӀуш боллушехь, дуьйцучух ца кхетийтархьама“.</verse>
				<verse number="11">ХӀара маьӀна долуш ду и далийна дустар: буьртиг Делан дош ду.</verse>
				<verse number="12">Новкъа йистехь эгна буьртигаш — уьш Делан дош хезаш берш бу. Амма схьадеанчу иблисо церан дегнашкара и дош дӀахьо, уьш, цунах теша а тешна, кӀелхьара ца бовлийтархьама.</verse>
				<verse number="13">Ткъа тӀулгаш тӀе эгнарш — уьш, дош хезча, хазахетарца и тӀеоьцурш бу. Амма шайн цхьа а орам боцуш, уьш цхьана ханна теша, ткъа зуьйш йолчу хенахь, уьш юьстахбовлу.</verse>
				<verse number="14">Коканийн коьллаш юкъа эгна, кхиъалц стом ца белла буьртигаш — уьш дош хезнарш бу, амма юха дӀа а бахана, дахаран гӀайгӀанех, хьолах, дегӀана там лахарх Ӏехабелларш бу.</verse>
				<verse number="15">Ткъа дикачу лаьтта тӀе эгнарш — уьш, дош а хезна, дикачу, цӀеначу даг чохь и лардеш, собаре хиларца пайден стом луш берш бу».</verse>
				<verse number="16">«Цхьаммо стогар латийча, цунна тӀехула кхаба ца хӀоттайо, я маьнги кӀел ца хӀоттабо иза, амма чубогӀучарна серло гун йолччу лакха хьалахӀоттабо.</verse>
				<verse number="17">ХӀунда аьлча мел йоккха къайле а цхьанна ца хууш юьсур яц, мел чӀогӀа лечкъийнарг а гӀара ца долуш а, гучу ца долуш а дуьсур дац.</verse>
				<verse number="18">Цундела шайна хезачух лаций ойла елаш. ХӀунда аьлча долчунна кхин а тӀелур ду, ткъа доцучуьнгара шен ду моьттург а дӀадоккхур ду».</verse>
				<verse number="19">Ӏийса волчу Цуьнан наний, вежарий баьхкира, амма Цунна гонах дукха адам хиларна, тӀе ца кхачалора уьш.</verse>
				<verse number="20">Цхьаммо Цуьнга элира: «Хьан наний, вежарий бу арахь Хьо ган лууш».</verse>
				<verse number="21">Ӏийсас жоп делира: «Сан наний, вежарий Делан даше ла а дугӀуш, и кхочушдеш берш бу».</verse>
				<verse number="22">Цхьана дийнахь Шен мурдашца хинкеманна тӀе а хиина, Цо элира: «Ӏоман дехьа берда тӀе девр ду вай». Уьш хи тӀехула дӀабахара.</verse>
				<verse number="23">Хин кеманахь уьш богӀучу хенахь, Ӏийсана наб кхетта. Ӏома тӀехь чӀогӀа мох а баьлла, кеманна чу хи даьлла. Уьш кхерамечу хьолехь хилла.</verse>
				<verse number="24">Мурдаша самаваьккхина Ӏийса: «Устаз! Устаз! Вай хӀаллакьхуьлуш ду!» Цо, хьала а гӀаьттина, мохе а, тулгӀенашка а омра дира. Уьш совца а севцина, гонах тийналла дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="25">ТӀаккха Цо хаьттира цаьрга: «Мичахь ду шун тешар?» Кхерабелла, цецбевлла вовшашка хоьттуш бара уьш: «Мила ву Иза? Цо хине а, мохе а омра до, цара ладугӀу Цуьнга».</verse>
				<verse number="26">Уьш Галилайна дуьхьалара берда тӀехь Ӏуьллучу ГӀарас цӀе йолчу метте баьхкира.</verse>
				<verse number="27">Ӏийса берда тӀе ваьлча, Цунна дуьхьал гӀалара жинаша хьийзош волу цхьа стаг веара. Иза, дукха хенахь дуьйна тӀе хӀума ца юхуш, нах дӀабухкучу хьехаш чохь Ӏаш вара.</verse>
				<verse number="28">28-29 Ӏийса а гина, Цунна хьалха вуьйжира иза. Ӏийсас омра дира жине, оцу стагана чуьра арадала аьлла. Стага мохь тухуш элира: «ХӀун оьшу Хьуна соьгара, Ӏийса, Веза Воккхачун КӀант? Доьху Хьоьга, ма хьийзавехьа со». Жино дукха хенахь дуьйна хьийзош вара и стаг. ЗӀенашца дӀа а вихкина, ларвича а, уьш хеда а йой, жино бохург деш, цхьа а адам доцучу, яьссачу метте дӀавоьдура иза.</verse>
				<verse number="29">***</verse>
				<verse number="30">Ӏийсас хаьттира цуьнга: «ХӀун ю хьан цӀе?» Цо элира: «Эскар», хӀунда аьлча дукха жинаш доьллера цунна чу.</verse>
				<verse number="31">Цу жинаша дехар дира Ӏийсага, шаьш бух боцучу Ӏинах ма кхийсахьара аьлла.</verse>
				<verse number="32">Циггахь лам тӀехь бежаш хьакхарчийн боккха бажа бара. Жинаша дийхира Ӏийсага, шаьш царна чу довлийта аьлла. Цо царна пурба делира.</verse>
				<verse number="33">Жинаш, стагана чуьра ара а девлла, хьакхарчашна чудевлира. Лекхачу берда тӀера хи чу а лилхина, буха яхара хьакхарчий.</verse>
				<verse number="34">Ӏуша, хилларг ган а гина, бевдда бахана дийцира и гӀалахь а, юххерчу ярташкахь а.</verse>
				<verse number="35">Хилларг хӀун ду хьажа адамаш даьхкира. Ӏийсана тӀебаьхкича, царна гира шена чуьра жинаш арадевлла стаг. ТӀе хӀума а юьйхина, метта а веана, Ӏийсан когашкахь Ӏаш вара иза. Схьабаьхкинарш чӀогӀа кхерабелира.</verse>
				<verse number="36">Хилларг гиначара дийцира царна, жинаша талхийна стаг муха товира.</verse>
				<verse number="37">Оцу ГӀарасара мел болчу бахархоша, шаьш чӀогӀа кхерабелла хиларна, дехар дира Ӏийсага, шаьш а дитина, дӀагӀахьара Хьо аьлла. Иза хӀордкемана тӀе а хиина юхавирзира.</verse>
				<verse number="38">Шена чуьра жинаш дӀалаьхкинчу стага дехар дира Цуьнга, ша а ваийтахьара аьлла. Амма Ӏийсас дӀавахийтира иза:</verse>
				<verse number="39">«ЦӀа а гӀой, хьайна Дала мел дика дина дийца ахь», — аьлла. Цу стага дӀавахана гӀалахь бехачаьрга шена Ӏийсас динчу доккхачу диканах лаьцна дийцира.</verse>
				<verse number="40">Дуккха а адам Ӏийсага хьоьжуш Ӏийра. Иза юхавеача, наха Цуьнга маршалла хаьттира.</verse>
				<verse number="41">Гуламан цӀа чохь куьйгалхо волу Яир веара Ӏийсана тӀе. Гора а воьжна, дийхира цо, шен цӀен тӀе вагӀахьара Хьо аьлла.</verse>
				<verse number="42">ХӀунда аьлча цуьнан цхьаъ бен йоцу, шийтта шо кхаьчна йоӀ яра яла йоллуш Ӏуьллуш. Ӏийса дӀавоьдуш Цунна гонах чӀогӀа дуькъа адам дара, Иза халла бен чекх ца валалуш.</verse>
				<verse number="43">Оцу нахана юкъахь цхьа зуда яра шийтта шарахь цӀий ца соцуш бала хьоьгуш, лоьрашна шен дерриг ахча а доьхкина, церан ян гӀоле а йоцуш.</verse>
				<verse number="44">ТӀехьашхула тӀе а еана, Ӏийсан бедарх кхозучу чечакхах куьг Ӏоьттира цо, оцу сохьта цуьнан дӀаоьху цӀий сецира.</verse>
				<verse number="45">«Мила вара Сох куьг Ӏоьттинарг?» — аьлла, хаьттира Ӏийсас. Цхьаммо а даре ца дира. Кипас элира: «Устаз! Нах ма бу Хьуна гонах, цара дӀаса ма тоьтту Хьо, ткъа Ахь хоьтту: „Мила ву Сох куьг Ӏоьттинарг?“»</verse>
				<verse number="46">Амма Ӏийсас элира: «Сох цхьаммо куьг Ӏоьттира, хӀунда аьлча Суна хаабелира Сайх дӀакъаьстина ницкъ».</verse>
				<verse number="47">Зуда, ша гучуяьллий а хиина, ехьош тӀееана, Ӏийсана хьалха юьйжира. Массарна а хьалха дийцира цо, ша Цунах куьг хӀунда Ӏоьттира а, шена оцу сохьта гӀоле муха хилира а.</verse>
				<verse number="48">ТӀаккха Ӏийсас элира цуьнга: «Сан йоӀ, хьан тешаро тойина хьо. Маьрша дӀагӀо хьайна».</verse>
				<verse number="49">Ӏийса къамел дина а валале, гуламан цӀийнан куьйгалхочун Яиран цӀера геланча веара. «Хьан йоӀ елла, — элира цо. — Устазана хало ян ца оьшу».</verse>
				<verse number="50">Амма Ӏийсас, и къамел а хезна, элира Яире: «Кхера ма кхера, амма теша, тӀаккха хьан йоӀ толур ю».</verse>
				<verse number="51">Яиран керта а веана, Цо цхьанна а чу ван пурба ца делира, Кипиний, Яхьъяний, Якъубаний, йоӀан дений-нанний бен.</verse>
				<verse number="52">Кертара адамаш оцу йоӀана доьлхуш дара. «Ма делха, — элира Ӏийсас, — иза ца елла, иза йижина ю».</verse>
				<verse number="53">Уьш Цунах бийла хӀиттира, хӀунда аьлча царна хаьара и йоӀ еллийла.</verse>
				<verse number="54">Ӏийсас, йоьӀан куьг схьа а лаьцна, элира: «ХьалагӀатта, йоӀ!»</verse>
				<verse number="55">ЙоӀана чу са деара, иза цу сохьта хьалагӀаьттира. Ӏийсас цунна яа хӀума ло элира.</verse>
				<verse number="56">Дай-наний чӀогӀа цецдаьлла дара. Амма Ӏийсас элира цаьрга, хилларг цхьаьнгге а ма дийца аьлла.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="9">
				<verse number="1">Шен шийтта векал схьа а кхайкхина, Ӏийсас царна ницкъ а, бакъо а елира адамашна чуьра дерриг жинаш лахка а, цамгарех нах тобан а.</verse>
				<verse number="2">Цо дӀахьовсийра уьш Делан Олаллех лаьцна кхайкхам бан а, адамашна дарбанаш дан а.</verse>
				<verse number="3">«Шаьш новкъа довлуш, шайца я Ӏаса а ма эца, я тӀоьрмаг а ма эца, я бепиг а ма эца, я ахча а ма эца, я хуьйцуш юха бедар а ма эца», — элира Цо цаьрга.</verse>
				<verse number="4">«Шаьш дӀакхаьчначу цӀа чохь Ӏе, оцу гӀалара арадовллалц.</verse>
				<verse number="5">Нагахь цхьанхьа шаьш тӀе ца эцахь, шайн когаш тӀера чан дӀаегае, гӀалара арадовлуш. Шу тӀе ца эцначу нахана дуьхьал тоьшалла хир ду иза».</verse>
				<verse number="6">Ӏийсан векалш дӀабахара. Ярташкара ярташка а боьлхуш, хаза кхаъ кхайкхош, массанхьа а нахана дарбанаш деш лелара уьш.</verse>
				<verse number="7">Ӏийсас а, Цуьнан мурдаша а дечух лаьцна хабар мехкан куьйгалхочунна ХӀародна а хезира. Иза собарх воьхнера, хӀунда аьлча цхьаболчара бохура веллачуьра Яхьъя денвелла,</verse>
				<verse number="8">вукхара — Эли-ЯхӀу-пайхамар веана, кхозлагӀчара — ширачу заманахьлера пайхамарех цхьаъ денвелла.</verse>
				<verse number="9">ХӀарода ша-шега хоьттура: «Яхьъян ас корта баьккхина. Ткъа и стаг мила ву теша, шех лаьцна и хӀуманаш наха дуьйцуш волу?» Иза Ӏийса ган гӀертара.</verse>
				<verse number="10">Векалша, юха а баьхкина, дийцира Ӏийсана шаьш динчух лаьцна. Уьш а эцна, цаьрца цхьаьна хилархьама, Бет-Саида цӀе йолчу гӀали юххехьа дӀавахара Ӏийса.</verse>
				<verse number="11">Амма Иза мичахь ву а хиъна, дукха адам деара Цунна тӀаьхьа. Ӏийсас уьш тӀеийцира. Цо Делан Олаллех лаьцна а дийцира царна, оьшучарна дарбанаш а дира.</verse>
				<verse number="12">Де суьйренгахьа лестича, Ӏийсан шийтта векало, тӀе а веана, элира Цуьнга: «Адам дӀадахийта деза. Луларчу ярташка а, кӀотаршка а бахана, шайна дӀадийша меттиг а, яа хӀума а лохур цара. Вай долу меттиг яьсса ю», — аьлла.</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха Ӏийсас элира цаьрга: «Аша лур ю царна яа хӀума». Векалша жоп делира: «Вайгахь пхи хьокхам, ши чӀарий бен бац. ГӀой, царна массарна а яа хӀума эций оха?» — аьлла.</verse>
				<verse number="14">Цигахь гулвелларг пхи эзар гергга стаг вара. Амма Ӏийсас элира шен мурдашка: «Уьш, бекъа а бекъий, шовзткъе итт-итт стаг волуш тобанашка охьаховшабе», — аьлла.</verse>
				<verse number="15">Цуьнан мурдаша Цо ма-баххара массо а охьахаийра.</verse>
				<verse number="16">Юха, шайгахь болу пхи хьокхам, ши чӀарий схьа а эцна, стигала хьала а хьаьжна, и кхача къобалбеш, доӀа дира Ӏийсас. ТӀаккха и хьокхамаш а, чӀерий а дакъошка декъа а доькъуш, Шен мурдашка дӀакховдадора Цо. Цара и дакъош нахе дӀалора.</verse>
				<verse number="17">Массара а яа а йиира, массо а вуза а вуьзира. Цул тӀаьхьа Ӏийсан мурдаша схьагулдина дисина дакъош шийтта тускар дуьззина дара.</verse>
				<verse number="18">Ӏийсас, Ша висна, доӀа дечу хенахь, Цунна тӀе мурдаш баьхкира. Цо хаьттира цаьрга: «Наха Со мила ву олу?» — аьлла.</verse>
				<verse number="19">Цара жоп делира: «Цхьаболчара Хьо нах хих чекхбоху Яхьъя ву боху, вукхара Хьо Эли-ЯхӀу-пайхамар ву боху, кхозлагӀчара ширачу заманахьлера денвелла веана пайхамар ву боху».</verse>
				<verse number="20">«Ткъа аша хӀун боху, Со мила ву боху аша?» — аьлла, хаьттира Ӏийсас. Кипас жоп делира: «Хьо Дала леррина Къобалвинарг ву-кх», — аьлла.</verse>
				<verse number="21">Ӏийсас и хӀума нахе дӀахаийтар чӀогӀа дихкира царна.</verse>
				<verse number="22">Цо элира: «Адамийн КӀантах иштта хила дезар ду: Цуьнан дукха баланаш лан дезар, баккхийчара а, динан коьртачу дайша а, Ӏеламчу наха Иза тӀе ца лаьцна хила а дезар ду, Иза вийна хила а везар ву, амма кхозлагӀчу дийнахь Дала Иза веллачуьра денван а везар ву».</verse>
				<verse number="23">ТӀаккха Ӏийсас элира массаьрга а: «Соьца ван луург, шен „со“ бохург дӀа а теттина, хӀора дийнахь шен баланийн мохь тӀе а лаьцна, Суна тӀаьхьахӀотта веза.</verse>
				<verse number="24">ХӀунда аьлча шен са кӀелхьардаккха воьлларг синах вер ву, ткъа Сан дуьхьа са дӀаделлачо иза кӀелхьардоккхур ду.</verse>
				<verse number="25">ХӀун пайда бу стагана дерриг а дуьне цуьнан а хилла, цо ша хӀаллаквича я шена зен дича?</verse>
				<verse number="26">Нагахь санна Сох а, Сан дешнех а эхь хетахь, Адамийн КӀант дӀавоьрзур ву цу стагах, Шен а, Шен Ден а, Делан маликийн а Олаллин нуьрехь Ша веача.</verse>
				<verse number="27">Аса баккъалла а боху шуьга: шуна юкъарчу цхьаболчарна шаьш кхалхале Делан Олалла гур ду».</verse>
				<verse number="28">Цул тӀаьхьа, ворхӀ-бархӀ де даьлча, Шеца Кипа а, Яхьъя а, Якъуб а эцна, Ӏийса доӀа дан лам тӀе хьалавелира.</verse>
				<verse number="29">ДоӀа дечу хенахь Цуьнан юьхь цӀеххьана хийцаелира, духар чӀогӀа кӀайделира, тӀехь бӀаьрг ца сацалуш.</verse>
				<verse number="30">30-31 Олаллин нур лепаш ши стаг дӀахӀоьттира Цунна юххе. И шиъ Муса-пайхамар а, Эли-ЯхӀу-пайхамар а вара. Ӏийсаца къамел дира цу шиммо. Цара дуьйцура Ӏийсан, Ярушалаймехь, адам паргӀатдаккхархьама, дуьнен чуьра дӀакхалха дезарх лаьцна.</verse>
				<verse number="31">***</verse>
				<verse number="32">Кипа а, цуьнан накъостий а чӀогӀа наб кхетта бара. Самабевлча, царна гира Ӏийсан а, Цуьнца лаьттачу шина стеган а Олаллин нуьран лепар.</verse>
				<verse number="33">И ши стаг дӀаваха воьлча, Кипас элира: «Устаз! Ма дика Ӏа вай кхузахь! Кхо кхалор ей вай Хьуний, Мусаний, Эли-ЯхӀуний?» Цунна шена а ца хаьара ша хӀун дуьйцу оцу хенахь.</verse>
				<verse number="34">Кипа къамел дина а валале, марха тӀе а еана, уьш дӀахьулбелира цуьнан ӀиндагӀехь. Ӏийсан накъостий кхерабелира, цу мархина юкъахь Ӏийса а, Муса а, Эли-ЯхӀу а нисвелча.</verse>
				<verse number="35">Мархи юкъара аз хезира: «ХӀара ву Ас хаьржина волу Сан КӀант. Цуьнга ладогӀалаш!»</verse>
				<verse number="36">Аз дӀатийча, царна Ӏийса ша лаьтташ гира. Мурдаша шайна гинарг къайладаьхьира, цу хенахь цхьаьнгге а ца дуьйцуш.</verse>
				<verse number="37">ШолгӀачу дийнахь, уьш лам тӀера чубиссича, Ӏийсана дуьхьал еара адамийн йоккха тоба.</verse>
				<verse number="38">Нахана юккъера цхьана стага чӀогӀа мохь туьйхира: «Устаз! Доьху Хьоьга, хьажахьа сан кӀанте! Иза сан цхьаъ бен вац!</verse>
				<verse number="39">Кест-кеста цунна чудолучу жино хьийзаво иза. КӀант, мохь хьоькхуш, лаьттах веттало, багах чопаш оьхуш. Иштта цунна ницкъ бой, иза лазавой бен дӀа ца долу и жин.</verse>
				<verse number="40">Ас Хьан мурдашка дехнера жин эккхаде аьлла, амма цаьрга хӀумма а дан ца делира».</verse>
				<verse number="41">Ӏийсас элира: «Галбевлла болу нах! Ва тешар доцу тукхам! Мел хир ву техьа Со шуна юкъахь? Мел лан деза техьа Сан шу? Схьавалаве хьайн кӀант!»</verse>
				<verse number="42">КӀант, тӀевогӀучу хенахь, жино охьатуьйхира, лазар а даийтина. Амма Ӏийсас жине арадала аьлла омра а дина, кӀант туо а вина, дега дӀавелира.</verse>
				<verse number="43">Массо а Делан боккхачу ницкъах чӀогӀа инзарваьлла вара. Нах Ӏийсас дечух дерригенах цецбевлла лаьттара. Оцу хенахь Цо Шен мурдашка элира:</verse>
				<verse number="44">«Дика ладогӀалаш, диц а ма делаш Ас шайга аьлларг: Адамийн КӀант нехан кара лур ву».</verse>
				<verse number="45">Амма мурдаш ца кхийтира Цо аьллачух. Ткъа оцу дешнийн маьӀна Дала царах лачкъийна дара. Ӏийсага, и хӀун ду аьлла, хатта уьш ца баьхьира.</verse>
				<verse number="46">Мурдаша къовсам баьккхира, шайна юкъахь лакхарниг мила ву аьлла.</verse>
				<verse number="47">Ӏийсас, церан дагара хууш, жима бер схьа а эцна, Шена юххе дӀа а хӀоттийна,</verse>
				<verse number="48">элира: «Сан дуьхьа хӀара бер тӀеэцначо Со а тӀеоьцу. Ткъа Со тӀеоьцучо Со Ваийтинарг а тӀеоьцу. Цундела шуна юкъахь уггар кӀезиг верг а уггар лакхарниг ву».</verse>
				<verse number="49">ТӀаккха Яхьъяс элира Ӏийсага: «Устаз! Вайна юкъара воццушехь а, Хьан цӀарах жинаш арадоху цхьа стаг гира тхуна. И вайх цхьаъ воцу дела, иза сацо гӀиртира тхо».</verse>
				<verse number="50">Ӏийсас жоп делира: «Сеца ма ве иза! ХӀунда аьлча шуна дуьхьал воцург шуьгахьа ву!»</verse>
				<verse number="51">Ша стигала хьалаоьцу волу хан тӀекхача йоьлча, Ӏийсас сацам бира Ярушалайме ваха.</verse>
				<verse number="52">Цо Шен геланчаш хьалха бахийтира цхьана шамранхойн юьрта, Шена оьшучунна кечам байтархьама.</verse>
				<verse number="53">Амма оцу юьртарчу наха Ӏийса тӀе ца ийцира, хӀунда аьлча гуш дара Иза Ярушалайме воьдуш вуйла.</verse>
				<verse number="54">И болх а гина, Цуьнан мурдаша Якъуба а, Яхьъяс а элира: «Эла! Хьуна лаахь, оха стигалара стелахаьштиг а тохийтина, хӀаллакбойтур бу и нах».</verse>
				<verse number="55">Амма Ӏийсас, юхавирзина, дихкира царна и дар.</verse>
				<verse number="56">ТӀаккха Ӏийса а, Цуьнан мурдаш а кхечу юьрта бахара.</verse>
				<verse number="57">Уьш новкъахула богӀучу хенахь, цхьана стага элира Ӏийсага: «Со Хьуна тӀаьхьа хӀуттур ву, Хьо миччахьа а водахь а».</verse>
				<verse number="58">«Цхьогалийн а, олхазарийн а чохь Ӏан баннаш ду, ткъа Адамийн КӀентан корта дӀатовжо меттиг а яц», — аьлла, жоп делира цунна Ӏийсас.</verse>
				<verse number="59">Кхечу стаге Цо элира: «Суна тӀаьхьа схьавола!» — аьлла. Амма оцу стага дийхира: «Сан Эла! Пурба лохьа суна, цкъа, цӀа а вахана, сайн да дӀаволла».</verse>
				<verse number="60">«Белларш беллачарна бита, ткъа ахь, Суна тӀаьхьахӀотта лууш хьо велахь, ваха а гӀой, Делан Олалла кхайкхаде», — элира цуьнга Ӏийсас.</verse>
				<verse number="61">Кхин цхьана стага элира Цуьнга: «Эла! Со Хьоьца вогӀур вара, пурба лохьа суна цкъа цӀахь болчаьрца Ӏодика ян», — аьлла.</verse>
				<verse number="62">Ӏийсас жоп делира цунна: «Нахаран тӀам схьа а лаьцна, юхахьоьжуш верг Делан Олаллина пайденна вац», — аьлла.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="10">
				<verse number="1">Цул тӀаьхьа Ӏийсас Шен мурдашна юкъара кхин а кхузткъе шийтта стаг хаьржира. Шел хьалха шишша цхьаьна Ша ваха везачу гӀаланашка а, ярташка а дӀахьовсийра Цо уьш.</verse>
				<verse number="2">Цо элира цаьрга: «Хьовсал, мел дукха адам кийча ду Делан Олалла тӀелаца. Уьш кхиъна доккха ялта санна бу, амма и ялта чудерзо белхалой кӀезиг бу. Ялта долчу Дега деха иза чуэца кхин а белхалой бахкийта алий.</verse>
				<verse number="3">ДӀадуьло! Берзалойн арданга юкъа Ӏахарий санна, дӀадохуьйту Ас шу.</verse>
				<verse number="4">Шайца я бохча а, я тӀоьрмаг а, я мачаш а схьа ма эца, новкъахь маршалла хоттуш цхьаьнцца а совца а ма совца.</verse>
				<verse number="5">Шаьш чоьхьадевллачу цӀа чохь цкъа хьалха ала: „Машар хуьлда хӀокху хӀусамехь!“</verse>
				<verse number="6">Нагахь санна цу чохь Ӏаш волу хӀусамда машар безаш стаг велахь, аш кховдийна машар цуьнгахь буьсур бу, нагахь вацахь — шун машар шуна тӀе юхабоьрзур бу.</verse>
				<verse number="7">Оцу цӀа чохь Ӏе, шайна схьаделларг даа а дууш, мала а молуш, хӀунда аьлча къахьоьгуш долу шу хьакъ ду нахера ял схьаэца. ХӀусамаш ма хийца.</verse>
				<verse number="8">Шаьш гӀала а дахана, цигахь тӀеэцахь, шайна елларг яа,</verse>
				<verse number="9">цомгуш нах тобе, ткъа хаам бе цаьрга: „Делан Олалла юххе кхаьчна шуна!“</verse>
				<verse number="10">Шаьш тӀе ца эцначу гӀалахь, урамашкахула дуьйла а лой, ала:</verse>
				<verse number="11">„Шун гӀалахь тхан мачаш тӀе йиллина чан а шуна юха дӀаегайо оха. Амма хаалаш, кху гӀалара бахархой: Делан Олалла гергакхаьчна шуна!“</verse>
				<verse number="12">Ас боху шуьга: къематан дийнахь Седам-гӀалара нахана атта хир ду оцу гӀалара нахана чул».</verse>
				<verse number="13">«Декъаза ю хьо, Къераз-гӀала! Декъаза ю хьо, Бет-Саида-гӀала! Нагахь санна Цора-гӀалахь а, ЦӀадан-гӀалахь а шу долчохь хилла тамашийна хӀуманаш хиллехьара, цигара адамаш, тоххарехь дохко а девлла, шайн дохкодовлар гойтуш йолу бедарш тӀе а юьйхина, овкъарна тӀе охьахевшина хир дара.</verse>
				<verse number="14">Цундела Цорарчу а, ЦӀаданарчу а нахана къематан дийнахь шуна чул дуккха а атта хир ду.</verse>
				<verse number="15">Ткъа хьо, Къапарнам-гӀала, хьо язйина стигала хьалайоккхур ю моьтту хьуна? Йоккхур яц, жоьжахатин цӀерга кхуссур ю».</verse>
				<verse number="16">ТӀаккха Шен мурдашка Ӏийсас элира: «Шуьга ладугӀуш волчо Соьга ладугӀу, шу тӀе ца оьцучо Со тӀе ца оьцу. Ткъа Со тӀе ца оьцучо Со Ваийтинарг а тӀе ца оьцу».</verse>
				<verse number="17">Ӏийсас вахийтина кхузткъе шийтта мурд юхавеара, самукъадаьлла, воккхавеш. «Эла, — бохура цара, — жинаша а оха бохург до, Хьан бакъонан цӀарах оха омра дича».</verse>
				<verse number="18">Ӏийсас элира: «Иза бакъ ду, Суна хааделира стигалара, гӀорасиза а хилла, стелахаьштиг санна, чудеана иблис.</verse>
				<verse number="19">Ас шуна ницкъ белла, кхерам боцуш, шайтӀанашна тӀе, лаьхьанашна а, дӀаьвше гезгашна а санна, ког баккха, шайн мостагӀчун ницкъ хьаша. Шуна зене цхьа а хӀума дац.</verse>
				<verse number="20">Амма жинаш шаьш карадерзорах даккхий ма де, шайн цӀераш Дала стигалшкахь дӀаязъярх даккхийде».</verse>
				<verse number="21">Оццу хенахь Делан Сино хазахетарх кийра буьзначу Ӏийсас элира: «Аса сий до Хьан, Сан Да, стигаллий, Латтий карахь долу Веза Эла, хьекъалчараххий, Ӏилма долчараххий и хӀума къайла а даьккхина, бер санна, догцӀеначарна Ахьа иза дӀаделларна. ХӀаъ, Сан Да, иза Хьан лаамца хилла ду!</verse>
				<verse number="22">Дерриг а Сан Дас схьаделла Суна. Цхьанна а ца хаьа КӀант мила ву, Дена бен, цхьанна а ца хаьа Да мила ву, КӀантана бен а, Да гайта КӀанта хаьржинчу нахана бен а».</verse>
				<verse number="23">Юха, мурдашка дӀа а вирзина, цаьрга шайгга элира Цо: «Дала декъалдина нах ду шу, хӀунда аьлча шайн бӀаьргашца хӀара дерриг а го шуна.</verse>
				<verse number="24">Ас боху шуьга: дуккха а пайхамарш а, паччахьаш а лууш бара хӀара шуна гинарг ган, амма иза царна ца гина. Царна лиънера шуна хезаш дерг хаза, амма царна иза ца хезна».</verse>
				<verse number="25">Юха, хьалха а ваьлла, цхьана Ӏеламчу стага Ӏийсага хаттар дира, Иза зерхьама. «Устаз, — хаьттира цо, — ас хӀун дан деза, Дела волчохь хедар доцу дахар сан хилийтархьама?»</verse>
				<verse number="26">«Товрат тӀехь хӀун ду яздина? — дуьхьал хаьттира Ӏийсас а. — Хьо муха кхета цунах?»</verse>
				<verse number="27">Вукхо жоп делира: «„Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца, дерриг а хьекъалца веза“, „Хьайн уллораниг хьо санна веза“».</verse>
				<verse number="28">«Нийса жоп делира ахь, — элира цуьнга Ӏийсас, — иштта дан а де ахь, тӀаккха хьо Дела волчохь вехар ву».</verse>
				<verse number="29">Амма Ӏеламчу стага, бехказавалархьама, хаьттира: «Ткъа мила ву суна уллораниг?»</verse>
				<verse number="30">Цунна жоп луш Ӏийсас дийцира: «Цхьа стаг хилла Ярушалаймера Ерихоне охьавогӀуш. Новкъахь цунна тӀе талорхой летта. Некъахочунна тӀера хӀуманаш схьа а яьхна, цунна вала воллалц етта а йиттина, и охьатесначохь а витина, дӀабахана уьш.</verse>
				<verse number="31">ТӀаьхьо цу новкъа схьавогӀуш хилла цхьа динан да. Новкъахь Ӏуьллу и стаг а гина, некъан дехьа агӀор а ваьлла, тӀехваьлла дӀавахана иза.</verse>
				<verse number="32">Изза дина цхьана левихочо, цу стагана тӀе а вахана, цуьнга дӀа а хьаьжна, юьстах а ваьлла, дӀавахана иза.</verse>
				<verse number="33">Юха лазийнарг Ӏуьллучу метте кхаьчна араваьлла лелаш волу шамранхо. И стаг а гина, оцу пекъарх къахетта цунна.</verse>
				<verse number="34">Цо, тӀе а вахана, даьттанца а, чагӀарца а цуьнан чевнаш йила а йилина, дӀайихкина. Юха лазийнарг, шен вира тӀе а хаийна, некъахоша садоӀучу цӀийне а валийна, цуьнан цигахь терго еш, иза Ӏалаш а вина цо.</verse>
				<verse number="35">ШолгӀачу дийнахь, ша дӀавоьдуш, хьешан цӀийнан хӀусамдена ши динари ахча а делла, цо аьлла: „ХӀокхуьнга хьажалахь, со юхавогӀуш, ас хьан хилла харж меттахӀоттор ю хьуна“.</verse>
				<verse number="36">Мила вара оцу кхааннах талархоша лазийначу стагана уллораниг, хьуна моттарехь?»</verse>
				<verse number="37">Ӏеламчу стага жоп делира: «Цунах къинхетам бинарг вара-кх». Ӏийсас тӀаккха элира цуьнга: «Вало, иштта де ахь а».</verse>
				<verse number="38">Шайн новкъахула богӀуш, цхьана юьрта кхечира Ӏийса а, Цуьнан мурдаш а. Цигахь Марта цӀе йолчу зудчо шен хӀусамехь тӀеийцира уьш.</verse>
				<verse number="39">Оцу зудчун Марем цӀе йолуш йиша яра. Марем, Элан когашка а хиина, Цуьнан къамеле ладугӀуш Ӏара.</verse>
				<verse number="40">Ткъа Марта, дуккха а яа хӀума кечъян гӀерташ, хьаьддий, еддий лелаш яра. ТӀееана, Ӏийсага элира цо: «Эла! И сан йиша, хӀара болх берриг а суна тӀе а тесна, Ӏаш хилар нийса доцийла ца го Хьуна? Суна гӀо де алахьа цуьнга», — аьлла.</verse>
				<verse number="41">«Маржа яӀ, Марта, — элира Ӏийсас, — хьо дуккха а хӀуманашна гӀайгӀа бан гӀерташ ю,</verse>
				<verse number="42">ткъа оьшушдерг цхьаъ бен дац. Марема диканиг хаьржина, иза цуьнгара цхьаммо а дӀадоккхур дац».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="11">
				<verse number="1">Цкъа Ӏийса Ша кхаьчначу цхьана меттехь доӀа деш вара. Иза доӀа дина ваьлча, мурдех цхьаммо дийхира: «Эла! Тхуна а Ӏамадехьа доӀа дан, Яхьъяс шен мурдашна ма-Ӏамадарра».</verse>
				<verse number="2">Ӏийсас элира цаьрга: «Шаьш доӀа дечу хенахь иштта ала: „Дада! Хьан цӀе сийлахь хуьлда! Хьан Олалла тӀекхочийла!</verse>
				<verse number="3">ХӀора дийнахь даъал напха лохьа тхуна.</verse>
				<verse number="4">Тхан къиношна гечдехьа, тхайна декхарийлахь болчарна оха ма-гечдарра. Хьарам лаамна кӀел ма дахийтахьара Ахьа тхо“».</verse>
				<verse number="5">Юха Ӏийсас элира цаьрга: «Масала, шун цхьаннан доттагӀа ву. Буьйсанан юккъехь и волчу а дахана, аш цуьнга боху: „ДоттагӀа! Бухалург кхо хьокхам лохьа суна,</verse>
				<verse number="6">со волчу доттагӀа кхаьчна, сан цунна яла хӀумма а яц“.</verse>
				<verse number="7">ТӀаккха шун доттагӀчо ала мега: „Со Ӏадда вита, сан неӀ дӀакъевлина ю, со а, бераш а дӀадийшина ду. Сан, хьала а гӀаьттина, хьуна хьокхам бала йиш яц“.</verse>
				<verse number="8">Ас боху шуьга, нагахь шун доттагӀалла лерина цо шуна хьокхам ца лахь, аш, юха ца довлуш, кхин а, кхин а иза бехча, цо, хьала а гӀаьттина, шуна иза лур бу.</verse>
				<verse number="9">Цундела Ас боху шуьга: „Деле деха — Цо дехнарг лур ду шуна. Дела лаха — Иза карор ву шуна, неӀ тоха, иза дӀайоьллур ю шуна,</verse>
				<verse number="10">хӀунда аьлча хӀора доьхучунна жоп ло Дала, лохуш волчунна карадойту, неӀ тухучунна — схьайоьллуьйту.</verse>
				<verse number="11">Муьлхачу дас лур бу шен кӀантана лаьхьа, цо чӀара боьхуш хилча?</verse>
				<verse number="12">Муьлхачу дас лур ю шен кӀантана дӀаьвше гезг, цо хӀоа доьхуш хилча?</verse>
				<verse number="13">Шаьш мел къиза делахь а, шайн берашна оьшург аша луш хилча, стигалахь волчу шайн Дас муххале а доьхучунна Шен Деза Са лур дуйла хоуьйла шуна“».</verse>
				<verse number="14">Цкъа Ӏийсас стеган мотт сацош долу жин эккхийра. Жин арадаьлча, стаг къамел дан хӀоьттира. Юххехь лаьттарш чӀогӀа цецбевллера.</verse>
				<verse number="15">Цхьаболчара бохура: «Жинийн эла волчу БаӀал-Зебулин олаллица жинаш лохку Цо адамашна чуьра».</verse>
				<verse number="16">Ткъа вукхара Ӏийса зерхьама дехар дира, стигалара цхьа тамашийна билгало гайта шайна аьлла.</verse>
				<verse number="17">Амма церан ойланаш хуучу Ӏийсас элира: «Муьлхха а екъаелла йолу пачхьалкх хӀаллакьхила хьаьхна ю. Ткъа юкъахь барт боцу доьзал бухур бу.</verse>
				<verse number="18">Нагахь иблис шена гонах болчаьрца бертахь дацахь, муха лаьттар ду цуьнан олалла? Ас и шуьга боху, БаӀал-Зебулан ницкъаца Ас жинаш дӀадоху бохуш, аш кхайкхадо дела.</verse>
				<verse number="19">Нагахь Ас, аша ма-баххара, жинаш БаӀал-Зебулин гӀоьнца дӀалохкуш хилча, шун наха хьенан ницкъаца лохку уьш? Уьш шун кхелахой хир бу!</verse>
				<verse number="20">Ас Делан ницкъаца лохку жинаш, ткъа иза Делан Олалла шуна схьакхаьчна хиларан билгало ю.</verse>
				<verse number="21">Нагахь шен цӀа лардеш волу стаг онда а, герзаца а велахь, цуьнан бахамна кхераме хӀумма а дац.</verse>
				<verse number="22">Амма нагахь, цул онданиг тӀе а летта, и эшавахь, хӀусамден бӀобулуш хилла долу герз схьа а даьккхина, бахам дӀахьур бу.</verse>
				<verse number="23">Соьца воцург Суна дуьхьал ву. Соьца нах схьагулбеш воцург уьш дӀасабекъаболуьйтуш ву».</verse>
				<verse number="24">«Харцжин стагах дӀакъаьстича, иза хи доцучу яьссачу аренгахула долалой лелаш хуьлу, тӀетовжа меттиг а ца карош. ТӀаккха цо олу: „Со арадаьллачу цӀа чу юхадоьрзур ду со“.</verse>
				<verse number="25">Амма и стаг волчу юхадеъча, ша Ӏийна меттиг нуй хьаькхна а, цӀанйина а карайо цунна.</verse>
				<verse number="26">ТӀаккха доьдий, цо шеца ворхӀ харцжин даладо, шел дуккха а вон долу. Уьш, цу стагана чохь шайн хӀусам а юьллий, даха ховшу. Эххар а оцу стеган хьал юьххьенца хиллачул а вон хуьлу».</verse>
				<verse number="27">Ӏийса къамел деш а волуш, нахана юкъара цхьана зудчо мохь туьйхира: «Декъала ю Хьо кийрахь лелийна а, Хьуна накха белла а йолу зуда!»</verse>
				<verse number="28">Амма Ӏийсас элира: «Кхин а декъала бу, Делан даше ла а дугӀуш, иза кхочушдеш берш».</verse>
				<verse number="29">Дукха адам дара Ӏийсана гонах гулделла, тӀетеӀаш. Иза дийца волавелира: «Телхина ю хӀинцалера тӀаьхье. Цо доьху тамашийна билгало гайта бохуш, амма царна цхьа а билгало гур яц, Юнус-пайхамарехула гайтинарг йоцург.</verse>
				<verse number="30">Нунав-гӀалара бахархошна Юнус-пайхамар санна, хӀинцалерчу тӀаьхьенна Адамийн КӀант а билгало хилла дӀахӀуттур ву.</verse>
				<verse number="31">Къилбехьарчу зуда-паччахьо, хӀокху тӀаьхьенца ден а елла, Дала кхел ечу дийнахь и нах бехке бийр бу, хӀунда аьлча иза цхьана дуьненан маьӀӀера йогӀура Сулим-паччахьан хьекъале къамеле ладогӀа. Ткъа кхузахь Верг Сулим-паччахьал веза ву.</verse>
				<verse number="32">Къематан дийнахь Нунав-гӀалара бахархоша, беллачуьра ден а белла, уьш бехке бийр бу, хӀунда аьлча уьш Юнуса бина хаам бахьана долуш дохкобевлла, ткъа шуна хьалха Верг Юнусал лакхара ву».</verse>
				<verse number="33">«Цхьаммо а ца хӀоттабо латийна стогар иза ца гунболчу метте я кхаби кӀел. Мелхо а хӀора чувогӀучунна серло гун йолччу лакха хӀоттабо.</verse>
				<verse number="34">Хьан бӀаьргаш — хьан дегӀан серло ю. Нагахь хьан бӀаьргашна са дика гахь, хьан дегӀ серлонах дуьзна хир ду. Ткъа нагахь хьан бӀаьргаш дика бацахь, дегӀ а боданах дуьзна хир ду.</verse>
				<verse number="35">Хьайн дегӀера серлонах бода ца хилийта хьажалахь.</verse>
				<verse number="36">Нагахь хьан дегӀ серлонах дуьзна делахь, цуьнан цхьа а меже боданехь яцахь, иза дерриг а, латийна стогар санна, серло луш хир ду».</verse>
				<verse number="37">Ӏийса, къамел дина ваьлча, цхьана парушхочо ша волчу хӀума яа чукхайкхира. ЦӀа чу а ваьлла, хӀума юучу меттехь агӀорвелира Ӏийса.</verse>
				<verse number="38">Парушхо цецвелира, Цо хӀума яале куьйгаш ца дилча.</verse>
				<verse number="39">Амма Эло цуьнга элира: «Аша, парушхоша, тӀехулара кад-Ӏайг дикка цӀандахь а, бухалара бӀаьрмециг а, къиза а ду шу.</verse>
				<verse number="40">Сонтанаш! ТӀехуларниг Кхоьллинчо ца кхоьллина бухаларниг а?</verse>
				<verse number="41">Шайн долахь дерг къечаьрца декъа, тӀаккха дерриг а нийса хир ду шун.</verse>
				<verse number="42">Къа ду шун, парушхой! Аша шайн долахь долчух уьтталгӀа дакъа, ур-атталла кертара хас-стоьмех а, сагӀина дӀалуш ду, ткъа нийсо а, Деле болу безам а бицбелла шуна. Ткъа аш иза а, важа а — ший а дан деза.</verse>
				<verse number="43">Къа ду шун, парушхой! Гуламан цӀа чохь баьрччехь Ӏан лаьа шуна, базаран майданашкахь массара а шайга маршалла хатта лаьа шуна.</verse>
				<verse number="44">Баьрзнаш шарделлачу кешнех тера ду шу. Царна тӀехула нах лела, уьш мел телхина ду а ца хууш».</verse>
				<verse number="45">Цхьана Ӏеламчу стага элира: «Устаз! Оцу дешнашца тхуна а халахетар ма до Ахь!» — аьлла.</verse>
				<verse number="46">Ӏийсас жоп делира: «Шун а ду къа, Ӏелам нах! ХӀунда аьлча дӀа ца бахьлун мохь нахана тӀе буьллу аш, ткъа шаьш пӀелга тӀе пӀелг а ца туху гӀодархьама.</verse>
				<verse number="47">Къа ду шун, хӀунда аьлча шайн дайша байинчу пайхамаршна зиярташ деш ду шу.</verse>
				<verse number="48">И болх барца аш тоьшалла до, шайн дайша динарг шаьш къобалдеш хилар: цара пайхамарш бойура, ткъа аш зиярташ хӀиттадо.</verse>
				<verse number="49">Цундела Шегахь бен доцучу хьекъалца Дала аьлла: „Ас уьш болчу пайхамарш а, векалш а бохуьйтур бу, амма цара цхьаберш бойур бу, вуьш балехь бахкор бу“.</verse>
				<verse number="50">ХӀокху тӀаьхьене дуьне кхоьллинчхьана Ӏанийна долу массо а пайхамаран цӀий хоттур ду:</verse>
				<verse number="51">Хьабулна тӀера Делан цӀенний, сагӀа доккхучу кхерчаний юккъехь вийначу Закри-ЯхӀуний тӀе кхаччалц. Билггала боху шуьга, аш жоп лур ду дериггенах а.</verse>
				<verse number="52">Къа ду шун, Ӏелам нах! Делан Йозанах хаарш чохь долчу цӀийнан догӀа нахера схьадаьккхина аш. Амма я шаьш а ца дахана шу оцу цӀа чу, я нах а ца бахийтина аш».</verse>
				<verse number="53">Ӏийса цигара дӀавахча, Ӏелам нах а, парушхой а, оьгӀаз а бахана, тайп-тайпана хаттарш луш тӀаьхьабевлира Цунна,</verse>
				<verse number="54">муьлххачу даша тӀехь лаьцна а, Иза лаца гӀерташ.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="12">
				<verse number="1">Цу хенахь эзарнаш адамаш гулделира, вовшашна тӀеттӀатеӀара уьш. Ӏийса цкъа хьалха шен мурдашка къамел дан волавелира: «Парушхойн муьстачу бедах — шалхаллех ларлолаш.</verse>
				<verse number="2">Мел къайлаха дерг а гучудер ду, мел хьулдинарг а хоуьйтуш хир ду.</verse>
				<verse number="3">Аша боданашкахь аьлларг серлонгахь хезар ду. Аша цӀа чохь цхьаьнга лере аьлларг тхевнаш тӀера кхайкхор ду».</verse>
				<verse number="4">«Ас боху шуьга, Сан доттагӀий, стаг вен ницкъ болчух ма кхера, дегӀ хӀаллакдарал сов цуьнга кхин хӀумма а далур дац.</verse>
				<verse number="5">Ас эр ду шуьга хьанах кхера веза: шу кхера деза стеган са схьа а эцна, иза жоьжахатин цӀерга кхосса ницкъ Болчух. Билггала боху шуьга, Цунах кхера!</verse>
				<verse number="6">Пхеа хьозанах ши шай бен доккхур дуй те? Амма Далла царах цхьа а диц ца делла.</verse>
				<verse number="7">Ткъа шун коьртара массо чо а багарбина бу шуна! Цундела ма кхералаш: дуккха а хьозанел деза ду шу!»</verse>
				<verse number="8">Кхин дӀа а Ӏийсас бохура: «Ас боху шуьга: Со нахана хьалха къобалвеш верг Адамийн КӀанта Делан маликашна хьалха къобалвийр ву,</verse>
				<verse number="9">амма Со нахана хьалха дӀатеснарг Аса а дӀатосур ву Делан маликашна хьалха.</verse>
				<verse number="10">Адамийн КӀантана дуьхьал дош а аьлла, дохковаьллачунна гечдийр ду, амма Делан Са сийсаздинчунна гечдийр дац.</verse>
				<verse number="11">Шаьш гуламан цӀа чу, я хьаькамашна, я Ӏедална тӀе далийча, са ма гатде шаьш ала дезачух а, жоп муха дала дезарх а,</verse>
				<verse number="12">Делан Сино оцу хенахь ала дезарг Ӏамор ду шуна».</verse>
				<verse number="13">Нахана юкъара цхьана стага элира Ӏийсага: «Устаз! Сан веше тхан дех диснарг соьца декъа алахьа!» — аьлла.</verse>
				<verse number="14">«ЛадогӀахьа, Со хьан хӀоттийна шун кхелахо, бахам бекъа бакъо а елла?» — хаьттира цуьнга Ӏийсас.</verse>
				<verse number="15">Цул тӀаьхьа Цо элира массаьрга а: «Варелаш! БӀаьрмециг ма хилалаш. Стеган дахар цуьнан хьолах лаьтташ дац шуна, иза мел дукха делахь а».</verse>
				<verse number="16">ТӀаккха Цо цхьа хьекъале хӀума дийцира царна: «Цхьана хьал долчу стеган шортта ялта кхиъна хилла.</verse>
				<verse number="17">„Ас хӀун дан деза? — ойла йина цо. — Сан хӀара ялта чудилла меттиг ма яц“.</verse>
				<verse number="18">Юха цо аьлла: „Ас дера деза, сайн шира ялта чудуьллу сайранаш дӀа а даьхна, даккхий керланаш дан. Царна чу дерриг ялта а, кхийолу хӀума а хоьур ю.</verse>
				<verse number="19">ТӀаккха айса-сайга ала мегар ду: хьан хьал дуккха а шерашна тоьар долуш ду, са а даӀа, даа а даа, мала а мала, самукъа а даккха“.</verse>
				<verse number="20">Амма Дала элира цуьнга: „Сонта стаг! Тховса буса хьан дахар хедар ду. Хьанна дуьсур ду ахь хьайна кечдинарг?“ — аьлла.</verse>
				<verse number="21">Дела волчохь хазна а ца гулъеш, шена хьал вовшахтухучунна хӀоранна а изза хир ду».</verse>
				<verse number="22">ТӀаккха Ӏийсас элира Шен мурдашка: «Цундела боху Ас шуьга, шайн дахаран дуьхьа юучунна са ма гатде, шайн дегӀан дуьхьа духарна са ма гатде.</verse>
				<verse number="23">ХӀунда аьлча юучул деза дахар ду, духарал деза дегӀ ду.</verse>
				<verse number="24">ДӀахьовсал къийгашка: я дуьйш яц, я хьокхуш яц, церан сайранаш а, я ялта чудерзо меттиг а яц, амма Дала кхобу уьш. Ткъа шу оцу олхазарел мел мехала ду!</verse>
				<verse number="25">Сагатдарца шайн дахар цхьана сахьтана хьаьнга дахдалийталур дара шуьга?</verse>
				<verse number="26">Оццул кӀезигниг а далуш ца хилча, кхечунна стенна сагатдо аш?</verse>
				<verse number="27">Ойла ел, муха кхуьуш ду петӀамат-зезагаш: уьш къахьоьгуш дац я бедарш тега кӀадеш еш дац, амма Ас боху шуьга, ур-атталла шен хьолан возаллехь Сулим-паччахь а ца кечлора цу зезагех муьлхха а санна.</verse>
				<verse number="28">Нагахь тахана тӀедолу, ткъа кхана пешахь догу долу арара зезагаш а Дала иштта хаза кечдеш хилча, шаьш мел хаза кечдийр ду аьлла хета шуна, Делах кӀезиг тешаш дерш?!</verse>
				<verse number="29">Цундела ма леха яа а, мала а шайна хӀун хир ю — цунна са ма гатде.</verse>
				<verse number="30">Цу дерригенна а сагатдо оцу дуьненан кхечу къаьмнех болчу наха. Ткъа шун шайн Да ву, шуна мел оьшург хаа а хууш.</verse>
				<verse number="31">Уггар хьалха Делан Олалла лаха, важа дерриг а Дала шуна лур ду».</verse>
				<verse number="32">«Ма кхера, шу кӀезиг а, гӀийла а делахь а, шуна тӀехь Ӏу ву. Шун Ден, хазахетарца, шуна Олалла дала сацам хилла.</verse>
				<verse number="33">Шайн бахамаш дӀа а бухкуш, мискачарна сагӀа ло. Лелийча тишлур доцу бохчанаш кечде шайна, лахлур йоцу хазна гулъе стигалахь: цигахь цунна тӀе къу а кхочур вац, нецано иза юур а яц.</verse>
				<verse number="34">Шун хазна йолччохь, шун дог а хир ду».</verse>
				<verse number="35">«Юкъ а ехкий, гуттар а гӀуллакх дан кийча хила, шайн стогарш а латийна хилийта,</verse>
				<verse number="36">зуда ялийначу сакъера ваханчуьра шайн хӀусамда цӀа варе хьоьжучу ялхойн санна. ХӀусамдас, цӀа а веана, неӀ тоьхча, цунна иза оцу сохьта дӀаелла кийчча хир бу уьш.</verse>
				<verse number="37">Декъала бу, хӀусамда цӀа кхаьчча, сема болу ялхой. Билггала боху шуьга, цо ша а, ялхойн духар а дуьйхина, уьш шуьнна гонах а ховшийна, оьшург тӀе а дахьаш, царна гӀуллакх дийр ду.</verse>
				<verse number="38">Декъала бу, шена гӀуллакх дан кийча а болуш, хӀусамдена карийна ялхой, буьйса юкъал тӀехъяьлча иза цӀа веача а.</verse>
				<verse number="39">Амма хаалаш, нагахь санна хӀусамдена къу маца вогӀур ву хууш хиллехь, цо шен цӀа чохь къола дойтур дацара.</verse>
				<verse number="40">Шу а хила деза кийча, хӀунда аьлча Адамийн КӀант шу Цуьнга ца хьоьжучу хенахь вогӀур ву».</verse>
				<verse number="41">ТӀаккха Кипас хаьттира: «Эла! Иза тхуна я массарна а дуьйцу Ахь?» — аьлла.</verse>
				<verse number="42">Везачу Эло жоп делира: «Ас дуьйцур ду шуна тешаме а, хьекъале а урхалхо мила ву цӀа чохь: иза, хӀусамдас вукху ялхошна тӀехь куьйгалла дан а хӀоттийна, царна шен хеннахь юург луш верг ву.</verse>
				<verse number="43">Декъала ву иза, шена тӀедиллина гӀуллакх деш а волуш, цуьнан хӀусамда цӀа кхаьчча.</verse>
				<verse number="44">Бакъдерг боху шуьга: хӀусамдас иза берриг шен бахамна тӀехь куьйгалхо хӀоттор ву.</verse>
				<verse number="45">Амма, масала, и ялхо: „Сан хӀусамда кеста цӀа вогӀий ца хаьа“, — аьлла, ойла а йина, кхечу ялхошна етта а йиттина, дууш, ваххалц молуш Ӏийр ву.</verse>
				<verse number="46">Цунна дагахь а доцучу, иза цӀа варе ца хьоьжучу хенахь, хӀусамда цӀа кхочур ву. ХӀусамдас иштта ялхо, тур тоьхна, шина декъе воькъур ву, Делах ца тешачу нехан дакъа цунна кхочуьйтур ду.</verse>
				<verse number="47">Шен хӀусамден лаам а хууш, цо бохург дан а ца динчу, дан а ца гӀиртинчу ялхочунна чӀогӀа еттар ю,</verse>
				<verse number="48">ткъа ларамаза гӀалат даьллачунна кӀезиг таӀзар дийр ду. Дуккха а кхаьчначуьнгара дуккха а хоттур ду, дуккха а хӀума шех тешна дитинчунна тӀехь доккха декхар ду».</verse>
				<verse number="49">КхидӀа а Ӏийсас бохура: «Со дуьнен чу цӀе таса веана, хӀинцале и цӀе марсаяьлла йогуш хила лаьара Суна!</verse>
				<verse number="50">Амма баланийн хӀордах чекхвала везаш ву Со, иза хиллалц синтем бац Суна!</verse>
				<verse number="51">Шуна моьтту хир ду, Со дуьнен чу машар бахьаш веана? „ХӀан-хӀа! — боху Ас шуьга, — Декъадалар дахьаш веана!“</verse>
				<verse number="52">ХӀинца дуьйна иштта хир ду: пхеа стагах лаьтта доьзал бекъалур бу, кхоъ шинна дуьхьал, шиъ кхаанна дуьхьал хир ву.</verse>
				<verse number="53">Да — кӀантана дуьхьал, кӀант дена дуьхьал, нана йоӀана дуьхьал, йоӀ — нанна, марнана несана дуьхьал, нус марнанна дуьхьал хир ю».</verse>
				<verse number="54">Юха Ӏийсас бохура нахе: «Малхбалехь марха гича, догӀа догӀур дуй хаьа шуна, иза иштта хила а хуьлу.</verse>
				<verse number="55">Ткъа къилбехьара мох хьаькхча, йовхо хир ю олу аш, иза а нийса хуьлу.</verse>
				<verse number="56">Шалхончаш! Стигалан а, лаьттан а билгалонаш хаьа шуна, ткъа таханлерчу заманан билгалонаш къасто хӀунда ца хаьа шуна?»</verse>
				<verse number="57">«Шайна гӀолехь долчун ойла хӀунда ца йо аш?</verse>
				<verse number="58">Шаьш довхочуьнца кхел ян доьлхуш, новкъахь цуьнца берта даха хьовса, хӀунда аьлча цо шу кхелахочунна тӀе далор ду, кхелахочо гӀароле дӀалур ду, юха шу набахте кхуьссур ду.</verse>
				<verse number="59">Билггала боху хьоьга: цигара хьо аравер вац, тӀаьххьарчу шайнна тӀекхаччалц, дерриг а хьайн декхар дӀаделла а бен».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="13">
				<verse number="1">Оцу хенахь цхьана наха, тӀе а баьхкина, Ӏийсана дийцира Делан цӀийнан кертахь байинчу галилайхойх лаьцна. Пулата и омра далар бахьана долуш, оцу нехан цӀий цара сагӀа доккхуш яйинчу бежанийн цӀийца эделлера.</verse>
				<verse number="2">Ӏийсас элира баьхкинчаьрга: «Иштта байина болу и нах вукху галилайхойл къинош сов долуш бара-м ца моьтту шуна?</verse>
				<verse number="3">ХӀан-хӀа, — боху Ас шуьга, — амма нагахь санна шу, дохко а девлла, Далла тӀе ца дерзахь, уьш санна, шу а хӀаллакьхир ду.</verse>
				<verse number="4">Шуна моьтту хир ду, Шилонан бӀов тӀе а йоьжна, велла волу берхӀитта стаг Ярушалаймехь болчу вукху нахал бехке вара?</verse>
				<verse number="5">ХӀан-хӀа, — боху Ас шуьга, — амма шу, дохко а девлла, Далла тӀе ца дерзахь, уьш санна хӀаллакьхир ду».</verse>
				<verse number="6">Ӏийсас цхьа хьекъале хӀума дийцира царна: «Цхьана стеган кемсийн бешахь дӀадийна инжиран дитт хилла. Цкъа, ван а веана, оцу дитта тӀехь стоьмаш бу бац хьаьжча, уьш ца карийна цунна.</verse>
				<verse number="7">ТӀаккха кемсаш лелош волчу шен белхалочуьнга аьлла цо: „КхозлагӀа шо ду со кху дитте хьоьжу, амма стоьмаш ца латийна кху тӀе. Охьа а тохий, дӀадаккха хӀара, кхуьнга эрна меттиг дӀа а ца лоцуьйтуш“, — аьлла.</verse>
				<verse number="8">Амма белхалочо жоп делла цуьнга: „ХӀусамда! Кхин цхьана шарахь а дитахьа хӀара. Ас, го а аьхкина, кхелли а йиллина, болх бийр бара.</verse>
				<verse number="9">ХӀун хаьа, юха шарахь стоьмаш лато а ма мега кху тӀе? Ткъа ца латадахь, и дитт дӀадоккхуьйтур ду ахь“, — аьлла».</verse>
				<verse number="10">Цхьана гуламан цӀа чохь шоьтан дийнахь хьехам беш вара Ӏийса.</verse>
				<verse number="11">Букара хьаьвзина, букъ хьала ца нислуш, цхьа зуда яра цу чохь, берхӀитта шарахь шеца жинийн цамгар йолуш.</verse>
				<verse number="12">И ган а гина, тӀекхайкхина, Ӏийсас элира цуьнга: «Йиша! Хьо хьайн цамгарх паргӀатъяьлла», — аьлла.</verse>
				<verse number="13">Цо куьйгаш лецира зудчунна тӀехула. Важа оцу сохьта хьаланисъелира, тӀаккха Далла хастамаш бан хӀоьттира.</verse>
				<verse number="14">И дерриг гина, гуламан цӀийнан хьаькамо, Далла леринчу шоьтан дийнахь Ӏийсас дарба дарна реза воцуш, чубаьхкинчу нахе элира: «Ялх де ду болх бан дезаш. Оцу деношкахь дуьйла шайна дарба дайта, Далла леринчу шоьтан дийнахь а ца догӀуш», — аьлла.</verse>
				<verse number="15">Везачу Эло, жоп луш, элира цуьнга: «Шалхончаш! Шайн сту я вир, хьаьвдех схьа а достий, Далла леринчу шоьтан дийнахь хи мала ца дуьгу аш?</verse>
				<verse number="16">БерхӀитта шарахь иблисо йихкина латтийна ИбрахӀиман тӀаьхьенах йолу хӀара зуда Далла леринчу дийнахь шен буржалех паргӀатъяла мегаш яц?» — аьлла.</verse>
				<verse number="17">Цо и аьлча, Цунна дуьхьалболчу нахана эхь хийтира. Ткъа чохь берш самукъадаьлла, хазахеташ бара Ӏийсас и тамашийна гӀуллакхаш дарх.</verse>
				<verse number="18">Цул тӀаьхьа Ӏийсас хаьттира: «Стенца дуста мегар ду Делан Олалла? Муха ду иза?</verse>
				<verse number="19">Иза стага шен бешахь дӀадийначу уггар жимачу хӀуьнах тера ду. Цу хӀуьнах, хьала а даьлла, дитт хилла. Стигаларчу олхазарша баннаш дина цуьнан гаьннаш тӀехь».</verse>
				<verse number="20">Кхин цкъа а хаьттира Ӏийсас: «Кхин стенца дуста мегар ду Делан Олалла?</verse>
				<verse number="21">Иза морзанах тера ду. Зудчо, бод хьакхош, кхаа сахь чохь схьаэцначу демах тоьхна иза. Морза, массанхьа а кхочуш, демах дӀаийна».</verse>
				<verse number="22">ГӀаланашкахула, ярташкахула чекхвуьйлуш, Ярушалайме воьдуш вара Ӏийса. Шен новкъахь нахана хьехам бора Цо.</verse>
				<verse number="23">Цкъа цхьаммо хаьттира Цуьнга: «Эла! Иштта кӀезиг бу теша кӀелхьарбовлуш берш?» Ӏийсас элира гулбеллачаьрга:</verse>
				<verse number="24">«Готтачу неӀарехула чекхдовла хьовса, хӀунда аьлча, Ас боху шуьга чубаха гӀиртинчех, дукхахберш чекхбовлалур бац.</verse>
				<verse number="25">ХӀусамдас неӀ дӀакъевлича, шу арахь дуьсур ду. И неӀ етташ, дехар дийр ду аш: „Эла! ДӀаеллахьа тхуна“, — бохуш. Амма Цо эр ду шуьга: „Суна шу а ца девза, шу мичара даьхкина а ца хаьа“.</verse>
				<verse number="26">ТӀаккха аш эр ду: „Оха Хьоьца яа а йиинера, мала а меллера, Ахь тхан урамашкахь хьехамаш а бинера тхуна“, — аьлла.</verse>
				<verse number="27">Амма Цо эр ду: „Ас боху шуьга, Суна шу а ца девза, шу мичара даьхкина а ца хаьа. Шу массо а харцончаш ду, дӀадовла Суна юххера!“</verse>
				<verse number="28">Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а хир ду. Шуна гур бу Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь болчарна юкъахь ИбрахӀим а, Исхьакх а, Якъуб а, берриш пайхамарш а, ткъа шу цигара лохкур ду.</verse>
				<verse number="29">Малхбалехьара, малхбузехьара, къилбаседехьара, къилбехьара баьхкинчу наха хиндолчу тойнехь, Делан Олаллехь, шайн меттигаш дӀалоцур ю.</verse>
				<verse number="30">Амма кхузахь цхьаболу тӀаьххьара хилларш цигахь хьалхара хир бу, цхьаболу хьалхара хилларш тӀаьххьара хир бу».</verse>
				<verse number="31">Оцу хенахь Ӏийсана тӀевеанчу масех парушхочо элира: «Кхузара дӀаваьлла, кхечу метте ваха веза Хьо — ХӀарод ву Хьо вен гӀерташ», — аьлла.</verse>
				<verse number="32">Ӏийсас жоп делира: «Даха а гӀой, цхьогало санна, зулам деш волчуьнга дӀаала: „Ас жинаш дӀа а лохкур ду, нахана дарбанаш а дийр ду тахана а, кхана а, ткъа кхозлагӀчу дийнахь Сайн болх чекхбоккхур бу“.</verse>
				<verse number="33">Делахь а, хӀуъа хилахь а, Сан тахана а, кхана а, лама а лела деза, хӀунда аьлча пайхамар Ярушалаймал арахьа вала йиш йолуш вац.</verse>
				<verse number="34">Ва Ярушалайм! Пайхамарш бойу ахь, хьайна тӀебахкийтиначарна тӀулгаш детта ахь. Мел чӀогӀа лиънера-кх Суна хьан бераш гулдан, олхазаро шен кӀорнеш тӀома кӀел гул ма-ярра, амма хьуна ца лии иза.</verse>
				<verse number="35">ХӀинца билггала шун ЦӀа Дала дӀатесна ду. Ас боху шуьга, шуна Со гур вац, цхьа хан а еана, аш аллалц: „Декъала ву Везачу Элан цӀарах вогӀуш верг!“»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="14">
				<verse number="1">Цкъа шоьтан дийнахь парушхойн цхьа куьйгалхо волчу хӀума яа ваханера Ӏийса. Чохь берш леррина хьоьжура Цо дечуьнга.</verse>
				<verse number="2">Цигахь Цунна дуьхьал нисвелира цхьа стаг. Иза, чкъура кӀел хи а хӀоьттина, оцу цамгарх чӀогӀа бала хьоьгуш вара.</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха Ӏийсас хаьттира Ӏеламчу нахе а, парушхошка а: «Далла леринчу шоьтан дийнахь дарба дан бакъо ю я яц?»</verse>
				<verse number="4">Уьш бист ца хилира. Ӏийсас, цунах куьг а Ӏоьттина, цомгушчунна дарба а дина, иза дӀавахийтира.</verse>
				<verse number="5">Ткъа вукхаьрга Цо хаьттира: «Нагахь шун кӀант я, масала, сту гӀуна чу боьжча, сихха дахана иза хьалабоккхур бац аш, Далла леринчу шоьтан де делахь а?»</verse>
				<verse number="6">Церан Кхуьнга ала хӀумма а дацара.</verse>
				<verse number="7">Ӏийсас тидам бира хьошалгӀа кхайкхина нах баьрччехь йолу меттигаш дӀалаца гӀертар. Цо тӀаккха царна цхьа хьекъале хӀума дийцира:</verse>
				<verse number="8">«Хьо цхьанхьа зуда ялийначу метте кхайкхина велахь, баьрчче хаа ма гӀерта, хӀунда аьлча хьол лоруш волу стаг а кхайкхина хила там бу цига.</verse>
				<verse number="9">ТӀаккха хьо а, иза а кхайкхинчу хӀусамдас, тӀе а веана, хьоьга эр ду: „ХӀокху стагана меттиг ло“, — аьлла. Нахана хьалха юьхьӀаьржачу а хӀоьттина, уггар йистера меттиг дӀалаца езар ю хьан.</verse>
				<verse number="10">Хьо хьошалгӀа кхайкхинчу хӀусамехь неӀарера меттиг дӀалаца, хӀусамдега, хьайна тӀе а веана, алийта: „ДоттагӀа! Вало, хьуьлла баьрчче хаа“, — аьлла. ТӀаккха вукху хьешашна хьалха хьан ларам хир бу,</verse>
				<verse number="11">хӀунда аьлча хӀора ша лакхара хеташ верг, лах а вина, кӀезиг хетар ву, ткъа ша кӀезиг хеташ верг лакхаваьккхина хир ву».</verse>
				<verse number="12">Цул тӀаьхьа Ша кхайкхинчу хӀусамдега Ӏийсас элира: «Айхьа нах хӀума яа чукхойкхуш, хьайн доттагӀий а, вежарий а, гергара нах а, хьалдолу лулахой а ма кхайкха, хӀунда аьлча церан таро ю хьо чукхайкха а, шайна дина дика юхадан а.</verse>
				<verse number="13">Айхьа шун хӀоттош, къенаш, заьӀапнаш, астагӀнаш, бӀаьрзенаш кхайкха.</verse>
				<verse number="14">Хьо декъала хир ву, хӀунда аьлча церан хьуна иза юхадан таро яц. Делан лаамехь болу нах денлучу дийнахь, юхалур ду хьуна иза».</verse>
				<verse number="15">И хӀума хезча, чохь болчех цхьаммо элира: «Декъала ву Делан Олалла тӀелаьцначарна юкъахь кхачанах кхеттарг!»</verse>
				<verse number="16">ТӀаккха Ӏийсас дийцира: «Цхьана стага доккха той а хӀоттийна, дуккха а хьеший кхайкхина.</verse>
				<verse number="17">Той дӀадоло хан тӀекхаьчча, шен ялхо вахийтина цо шуьне кхайкхинчаьрга дӀаала: „Схьадуьйла, дерриг а кийча ду“, — аьлла.</verse>
				<verse number="18">Амма хьеший, цхьаъ санна, бехказа бийла хӀиттина. Хьалхарчо аьлла: „Ас латта эцна, вахана цуьнга хьажа дезаш ву со, доьху хьоьга, къинтӀера валахь суна“.</verse>
				<verse number="19">ШолгӀачо аьлла: „Ас пхи шуьста эцна, и стерчий дӀа а доьжна, мега ца мега хьажа воллура со. Суна къинтӀера валахь“, — аьлла.</verse>
				<verse number="20">КхозлагӀчо аьлла: „Ас зуда ялийна, цундела вогӀийла дац сан“, — аьлла.</verse>
				<verse number="21">Вухавеанчу ялхочо хӀусамдега и дерриг дӀааьлла. ТӀаккха оьгӀазваханчу хӀусамдас шен ялхочуьнга буьйр дина: „Хьада, чехкка гӀалин урамашкахула а, майданашкахула а чекхвалий, схьабалабе кхуза къенаш, заьӀапнаш, бӀаьрзенаш, астагӀнаш“.</verse>
				<verse number="22">Юха а веана, ялхочо аьлла: „ХӀусамда! Ахь ма-аллара, дерриг а ас кхочушдина, амма кхин а меттиг ю цӀа чохь“.</verse>
				<verse number="23">ТӀаккха хӀусамдас юха а тӀедожийна ялхочунна: „Ваха а гӀой, гӀалара аравалий, новкъахь а, керташкахь а гинарг схьавалаве, сан цӀа хьешех дуьззина хилийта.</verse>
				<verse number="24">Амма, ас боху шуьга, хьалха кхайкхинчех цхьаъ хир вац сан тойнехь“».</verse>
				<verse number="25">Ӏийсаца йогӀуш адамийн йоккха тоба яра. Цо, юха а вирзина, элира цаьрга:</verse>
				<verse number="26">«Стаг Суна тӀаьхьахӀоьттина схьаван а, Сан мурд хила а йиш йолуш вац, Со шен дел а, ненал а, зудчул а, берел а, вежарел а, йижарел а, ур-атталла дахарал а лараме хеташ иза вацахь.</verse>
				<verse number="27">Шен баланийн мохь схьаэца реза а воцуш, Суна тӀаьхьавогӀург Сан мурд хила йиш йолуш вац.</verse>
				<verse number="28">Масала, шух цхьаъ бӀов ян лууш ву. Охьа а хиина, шен хин йолу харж лорур яц цо, гӀишло чекхъяккха ахча тоьар ду дац хьажа?</verse>
				<verse number="29">Цо, бух а боьттина, дӀаерзо ницкъ а ца кхаьчна, гӀишло йолийначохь йитича, массо а и гуш верг воьлур ма ву цунах.</verse>
				<verse number="30">Цара бохур дара: „ХӀокхо гӀишло йолийначохь чекх а ца яккхалуш йитира“, — бохуш.</verse>
				<verse number="31">Я, масала, цхьа паччахь ву тӀом бан кечлуш. Цкъа, охьа а хиъна, ойла йийр ю цо, шен итт эзар стаг волчу эскарца ткъа эзар стагаца тӀевогӀучунна дуьхьало ялур ю, я яц аьлла.</verse>
				<verse number="32">Нагахь шен ницкъ кхочур бац аьлла, цунна хетахь, мостагӀа генахь волччуьра, цо векалш бохуьйтур бу машар боьхуш.</verse>
				<verse number="33">Делахь, шен долахь долчух дерригенах шух хӀора ца къастахь, Сан мурдаш хила йиш яц шун.</verse>
				<verse number="34">Туьха дика хӀума ю, амма цуьнан чам дӀабаьлча, стен хуьлуьйтур ду иза юха а дуьра?</verse>
				<verse number="35">Иза я лаьттах а, я кхеллех а тоха пайденна дац, дӀакхоссан бен. Лергаш долчунна хӀара хезийла!»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="15">
				<verse number="1">Ӏийсага ладогӀа дуккха а адамаш: ял гулъешберш а, къинош летийнарш а тӀеоьхура.</verse>
				<verse number="2">Парушхой а, Ӏелам нах а резабоцуш, гӀовгӀа еш бара: «ХӀокху стага къинош летийна адамаш тӀе а оьцу, цаьрца хӀума а йоу», — бохуш.</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха Ӏийсас царна цхьа хьекъале дустар далийра.</verse>
				<verse number="4">«Мила ву шух, шайн бӀе уьстагӀ юкъара цхьаъ байча, важа безткъе ткъайоьсна эрна арахь а битина, байнарг лохур боцуш, иза карабаллалц?</verse>
				<verse number="5">Ткъа иза карийча, самукъадаьлла, белшаш тӀе а биллина, цӀа бахьар бу.</verse>
				<verse number="6">ДоттагӀий а, лулахой а схьа а кхайкхина, уьстагӀ болчо эр ду: „Даккхийде вай цхьаьна, суна сайн байна уьстагӀ карийна!“</verse>
				<verse number="7">Масала, дохковала бахьана доцуш, Делан лаамехь а волуш везткъе ткъайоьсна стаг ву. Ас боху шуьга, оцу нахана чул, къинош а летийна, юха дохковаьлла, Далла тӀевирзинчу цхьана стагана алсам баккхийбийр бу стигалшкахь берш».</verse>
				<verse number="8">«Масала, цхьана зудчун драхма цӀе йолу итт дато ахча ду. Царах цхьаъ дайча, стогар а латийна, чохь нуй а хьоькхуш, леррина и лохур ма ду цо, иза карадаллалц.</verse>
				<verse number="9">Ткъа иза карийча, доттагӀий а, лулахой а схьа а кхайкхина, цо эр ду: „Даккхийдейша соьца: суна дайна ахча схьакарийна!“</verse>
				<verse number="10">Ас боху шуьга, лелийначунна дохко а ваьлла, Далла тӀевирзинчу цхьана стагах а Делан маликийн самукъадалар иштта хуьлу».</verse>
				<verse number="11">Кхин а дийцира Цо: «Цхьана стеган ши кӀант хилла.</verse>
				<verse number="12">Жимах волчу кӀанта шен дега аьлла: „Дада! Хьайн бахамах суна догӀу дакъа схьалохьа“. Дас шина кӀантана бекъна бахам.</verse>
				<verse number="13">Дукха хан ялале, жимах волу кӀант, шен дерг вовшах а тоьхна, генарчу махка вахана. Цигахь, сакъоьруш, шен хьал эрна дайина цо.</verse>
				<verse number="14">Ткъа шадерриг и дайина ваьлча, цу махкахь чӀогӀа мацалла хӀоьттина. Иза таро йоцуш висна.</verse>
				<verse number="15">ТӀаккха, вахана, цу махкарчу цхьана стагана чухӀоьттина иза. Вукхо хӀара хьакхарчий яжо вахийтина шен аренашка.</verse>
				<verse number="16">Мацалло бӀарзвина, хьакхарчаша бууш болу акха стоьмаш биина а, шен гай дузо лууш хилла хӀара, амма цхьаммо а кхунна уьш луш ца хилла.</verse>
				<verse number="17">Метта а веана, цо аьлла: „Мел дукха ялхой бу сан ден цӀахь, церан массеран а шортта яа хӀума ю, ткъа со кхузахь мацалла леш ву!</verse>
				<verse number="18">ДӀавахана, сайн да волчу юха а вирзина, ас эр ду цуьнга: Дада! Далла хьалха а, хьуна хьалха а къа латийна ас!</verse>
				<verse number="19">ХӀинца со хьакъ вац хьан кӀант ву со ала, хьайн белхало вай, дӀаэцахьа со“.</verse>
				<verse number="20">Хьала а гӀаьттина, шен да волчу вахара иза. КӀант геннахь схьавогӀуш дена гира. Цунах къахетта, ведда тӀе а вахана, иза маравоьллина, цунна барт баьккхира дас.</verse>
				<verse number="21">Ткъа кӀанта элира цуьнга: „Дада! Далла хьалха а, хьуна хьалха а къа латийна ас. ХӀинца со хьакъ вац хьан кӀант ву со ала“.</verse>
				<verse number="22">Амма дас шен ялхошка элира: „Тоьлла йолу бедар схьа а яй, тӀеюха цунна, пӀелгах мухӀар а долла, кога мачаш а юха.</verse>
				<verse number="23">Юстийна йолу старгӀа схьа а ялаяй, урс хьакха: той хӀоттор ду вай.</verse>
				<verse number="24">ХӀунда аьлча хӀара сан кӀант веллачуьра денвелла, вайначуьра карийна“. Уьш сакъера буьйлабелира.</verse>
				<verse number="25">Воккхах волу кӀант оцу хенахь кха тӀехь вара. ЦӀа вогӀуш, шайн бахамна гергакхаьчча, цунна лоькху эшарш а, хелхаран мукъамаш а хезира.</verse>
				<verse number="26">Цхьа ялхо схьа а кхайкхина, цо хаьттира: „ХӀара хӀун ду?“</verse>
				<verse number="27">Ялхочо элира цуьнга: „Хьан ваша цӀа веана. Хьан дас старгӀа ейтина, хӀунда аьлча иза могуш-маьрша юхавирзина“.</verse>
				<verse number="28">Воккхах волу кӀант, оьгӀазвахана, чу ван ца лууш вара. Дас, ара а ваьлла, чувола аьлла, дийхира цуьнга.</verse>
				<verse number="29">Амма цо элира дега: „Со хьуна вецаш волу мел дукха хан ю, ахь аьллачунна тӀера ког а ца баьккхина ас, амма ахь суна буьхьиг а ца елла, соьга сайн доттагӀашца сакъерийта.</verse>
				<verse number="30">Ткъа шен хьал мехкаршца сакъоьруш хаьхкина волу хьайн кӀант цӀа веача, цунна юстийна старгӀа йийна ахь“.</verse>
				<verse number="31">Амма дас элира воккхах волчу кӀанте: „Сан кӀант! Хьо гуттар а соьца ма ву, сан долуш дерг шадерриг а хьан ма ду.</verse>
				<verse number="32">ХӀинца вай самукъадаьлла хила ма деза, хьан ваша веллачуьра денвелла, вайначуьра карийна“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="16">
				<verse number="1">Шен мурдашна Ӏийсас кхин цхьа хьекъале дийцар далийра: «Цхьана хьалдолчу стеган бахаман дола деш урхалхо хилла. Цхьаммо аьлла цу хьолахочуьнга, цуьнан бахам урхалхочо байина дӀабоккхуш бу аьлла.</verse>
				<verse number="2">Урхалхо тӀе а кхайкхина, хӀусамдас хаьттина: „И хӀун ду суна хьох лаьцна хезаш дерг? ДӀа а гӀой, хьайн балхах жоп дала кечам бе, кхин дӀа хьоьга урхалла ца дойту ас“, — аьлла.</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха урхалхочо ойла йина: „Ас хӀун дан деза? ХӀусамдас со балхара дӀавоккхуш ву. Латта ахка ваха сан ницкъ бац, сагӀа деха эхь хета.</verse>
				<verse number="4">ХӀа! Суна хаьа хӀун дан деза, кхузара дӀаваьккхича кхечу меттехь со тӀеэцийта“.</verse>
				<verse number="5">Цхьацца кхойкхуш, шен хӀусамден декхархой тӀекхайкхина цо. Хьалхарчуьнга хаьттина: „Хьо мел декхарийлахь ву сан хӀусамдена?“</verse>
				<verse number="6">Вукхо жоп делла: „БӀе черма зайтдаьтта“. Урхалхочо аьлла цуьнга: „ХӀара хьайн декхар тӀеяздина кехат схьа а эций, сихха охьахаий, дӀаязде: шовзткъе итт“.</verse>
				<verse number="7">Юха кхечуьнга хаьттина: „Хьо мел дала дезаш ву сан хӀусамдена?“ Цо аьлла: „Эзар гали кӀа“. Урхалхочо аьлла: „Хьайн декхаран кехат схьа а эций, дӀаязде: бархӀ бӀе гали“.</verse>
				<verse number="8">ХӀусамдас хастийна тешаме воцу урхалхо, сел кхетаме иза хиларна. Бан а бу хӀокху заманна хьакъ болу нах Делан нуьрехь болчу нахал кхетаме, шаьш санна болчаьрца гӀуллакх догӀуш.</verse>
				<verse number="9">Ас боху шуьга, харц дуьненан хьолах пайда а оьцуш, шайна доттагӀий лаха. Юха, и хьал шух дуьсур долчу хенахь, Дала Шен даим лаьттачу цӀа чохь тӀеоьцур ду шу.</verse>
				<verse number="10">КӀезигчу хӀуманна тӀехь тешаме верг доккхачунна тӀехь а тешаме ву, ткъа кӀезигчунна тӀехь тешаме воцург доккхачунна тӀехь а вац.</verse>
				<verse number="11">Нагахь шу дуьненан хьал гулдеш тешаме ца хиллехь, стигалахь бакъдолу хьал шух хьан тешор ду?</verse>
				<verse number="12">Неханиг шух тешна дита мегаш ца хилча, шуниг хьан лур ду шуна?</verse>
				<verse number="13">Шина хӀусамдена гӀуллакх далур дац цхьана ялхочуьнга. Цунна цхьа хӀусамда везар ву, важа везар вац, я цхьанна хьесталур ву, ткъа вукхунах вешар вац. Цундела цхьаьний — Далла а, хьолана а ялхой хилалур дац шу».</verse>
				<verse number="14">Ахча дукха дезаш болу парушхой и дерриг а хаза а хезаш, Ӏийсах боьлуш бара.</verse>
				<verse number="15">Ткъа Цо элира цаьрга: «Шу нахана хьалха диканаш хила гӀерташ ду, амма Далла хаьа шун дагахь дерг. Адамашна мехала хетарг Далла боьха хета.</verse>
				<verse number="16">Товрат-хьехамаш а, пайхамарша яздинарг а Яхьъя-пайхамар гучуваллалц лелла, ткъа цу хенахь дуьйна Делан Олаллех лаьцна болу хаза кхаъ а кхайкхош бу. Массо а чӀогӀа Делан Олалла тӀелаьцначарна юкъахь хила лууш а ву.</verse>
				<verse number="17">Амма стигалний а, латтаний а атта хир ду дӀакъовладала, товрат-хьехамаш тӀера цхьа сиз дӀадовчул.</verse>
				<verse number="18">ХӀора, шен зуда а йитина, кхин ялош верг ямарта волуш ву, и санна ямарта йитина зуда ялош верг а ву».</verse>
				<verse number="19">Юха Ӏийсас дийцира: «Вехаш хилла цхьа хьалдолу стаг. Деза а, хаза а духар тӀе а духий, хӀора дийнахь той а хӀоттадой, сакъоьруш хилла цо.</verse>
				<verse number="20">Ткъа цуьнан кевнна йисттехь Ӏуьллуш, ЛаӀзар цӀе йолуш сагӀадоьхург хилла, дерриг дегӀ дӀалаьцна даьӀнаш а долуш.</verse>
				<verse number="21">Хьолахочун стоьла тӀера охьаэгна юьхкаш йиъна а, хӀума яа лууш хилла цунна. ЖӀаьлеша, тӀе а догӀий, цуьнан даьӀнашна тӀе мотт хьоькхуш хилла.</verse>
				<verse number="22">Эххар а сагӀадоьхург велла. Маликаша ИбрахӀимна юххе, баьрччехь йолчу метте, дӀаваьхьна иза. Хьолахо а велла, иза дӀавоьллина.</verse>
				<verse number="23">Жоьжахатин цӀергахь Ӏазапехь воллуш, дӀахьаьжначу хьолахочунна геннахь ИбрахӀим а, цунна уллохь ЛаӀзар а гина.</verse>
				<verse number="24">Мохь а тухуш, дехар дина хьолахочо: „Ва сан да ИбрахӀим! Къинхетам бехьа сох. ЛаӀзар ваийтахьа, шен пӀелг хи чу а Ӏоьттина, сан мотт шелбайта, хӀокху цӀергахь чӀогӀа холчохь ву-кх со!“ — аьлла.</verse>
				<verse number="25">Амма ИбрахӀима аьлла: „Сан кӀант! Дагадаийта, хьо муха Ӏаш вара. Хьуна дерриг а диканиг кхаьчнера хьайн дахарехь, ткъа ЛаӀзарна — дерриг вониг. ХӀинца цунна кхузахь синтем хилла, ткъа хьо баланехь ву.</verse>
				<verse number="26">Цул сов, хьуна а, тхуна а юкъахь чӀогӀа кӀорга Ӏин даьккхина. Нагахь кхузара цхьанна хьуна тӀеван лиъча а, иза дӀавалур вац, цигара цхьа а кхуза сехьа а валалур вац“.</verse>
				<verse number="27">ТӀаккха аьлла хьолахочо: „Ас доьху хьоьга, ЛаӀзар вахийтахьа сан ден хӀусаме,</verse>
				<verse number="28">сан пхи ваша ма ву. Цаьрга дӀахоуьйтур дара цо кхузахь дерг, хӀара Ӏазап хьега уьш кхуза ца кхачийта“.</verse>
				<verse number="29">ИбрахӀима аьлла цуьнга: „Церан Мусан а, кхечу пайхамарийн а деза йозанаш ду, цара яздинчуьнга ладогӀа дезаш ма бу уьш!“</verse>
				<verse number="30">Хьолахочо жоп делла: „ХӀан-хӀа, дада ИбрахӀим! Нагахь веллачех цхьаъ шайна тӀевеача, лелийначунна дохко а бевлла, Далла тӀебоьрзур бара уьш“.</verse>
				<verse number="31">ТӀаккха ИбрахӀима аьлла цуьнга: „Нагахь Мусага а, кхечу пайхамаршка а ла ца догӀахь, веллачуьра денвеллачух а уьш тешар бац“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="17">
				<verse number="1">Ӏийсас элира Шен мурдашка: «Стаге къа латадойтуш долу хӀума тӀе ца догӀуш дуьсур дац. Амма декъаза ву ша бахьана долуш нахе къа латадайтина стаг.</verse>
				<verse number="2">Делах тешаш болчу лахара болчех цхьаьнга къа латадойтучул, хьеран тӀулг, коча а оьллина, ша хӀорда чу кхоссийтар гӀоле ю цу стагана.</verse>
				<verse number="3">Шаьш ларлолаш! Нагахь хьан вашас къа латадахь, бехк баккха цуьнгара, амма иза дохковалахь, гечде цунна.</verse>
				<verse number="4">Нагахь хьан вашас дийнахь ворхӀазза хьуна дуьхьал къа латадахь, амма ворхӀаззе а хьо волчу а веана: „Со дохковаьлла“, — алахь, гечде цунна».</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха векалша элира Ӏийсага: «Алсамбаккхахьа тхан тешам», — аьлла.</verse>
				<verse number="6">Ӏийсас элира: «Нагахь санна шун тешам жимачу буьрттигал а белахьара, аш оцу комарийн дитте ала тарлора: „Орамашца схьа а далий, хӀорда чу догӀало!“ Цо аш бохург дийр дара.</verse>
				<verse number="7">Масала, шун цхьаннан охуш я жа дажош ялхо ву. Иза арара балхара цӀа веача, хьан эр ду аш цуьнга: „Схьавола, хӀокху метте агӀорвалий, хьайна хӀума яа“?</verse>
				<verse number="8">Мелхо а, аш цуьнга эр ду: „Суна яа хӀума кечъе, юкъ а ехкий, сан гӀуллакхе хьажа со йиина а, мелла валлалц, тӀаккха — айхьа а яа а яа, мала а мала“.</verse>
				<verse number="9">Шена тӀедиллинарг ялхочо кхочушдича, цунна баркалла хьан эр ду аш?</verse>
				<verse number="10">Иштта аша а, шаьш дан деза гӀуллакх кхочушдай, ала: „Тхо хьакъ доцу ялхой бен дац — оха тхайна тӀедиллина гӀуллакх кхочушдина“».</verse>
				<verse number="11">Ярушалайме воьдуш, Шамранан а, Галилайн а шина мехкан дозанехула схьавогӀуш вара Ӏийса.</verse>
				<verse number="12">Иза цхьана юьрта чувулуш, Цунна дуьхьалкхийтира дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар йолу итт стаг. Геннахь севцина,</verse>
				<verse number="13">маьхьарий хьаькхира цара: «Ӏийса! Устаз! Къинхетам бехьа тхох!» — аьлла.</verse>
				<verse number="14">Уьш гиначу Ӏийсас элира: «Даха а гӀой, динан дайшна шаьш гайта», — аьлла. Цомгуш нах, дӀабоьлххушехь, новкъахь шайн цамгарх цӀинбелира.</verse>
				<verse number="15">Царах цхьаъ, ша товеллий а хиъна, мохь туххуш Далла хастам а беш, вуха вирзира.</verse>
				<verse number="16">Ӏийсана хьалха гора а воьжна, Цунна баркаллаш баха хӀоьттира иза. Иза шамранхо вара.</verse>
				<verse number="17">ТӀаккха Ӏийсас хаьттира: «Итт стаг ца товелла цамгарх? Важа исс мичахь ву?</verse>
				<verse number="18">Далла хастам бан веанарг кхечу къомах волу хӀара стаг бен ма вац?»</verse>
				<verse number="19">ТӀаккха цу шамранахочуьнга элира Цо: «ХьалагӀатта, дӀавало. Хьан тешаро цамгарх кӀелхьарваьккхи хьо».</verse>
				<verse number="20">Цкъа парушхоша хаьттира Ӏийсага: «Делан Олаллин де тӀе маца кхочур ду?» — аьлла. Цо жоп делира: «Шуна гучу кепехь догӀур дац Делан Олалла.</verse>
				<verse number="21">Цхьаьнгге а алалур дац: „Иза кхузахь ду“ я „ДӀогахь ду“, хӀунда аьлча Делан Олалла шуна юкъахь ду».</verse>
				<verse number="22">ТӀаккха Шен мурдашка элира Цо: «Цхьа хан йогӀур ю Адамийн КӀентан денойх цхьа де гина а, ган шу сатесна долуш, амма шуна и де гур дац.</verse>
				<verse number="23">Шуьга эр ду: „Иза кхузахь ву“, я „ДӀогахь ву“, амма И гур вара алий, шу дӀа ма хьовда.</verse>
				<verse number="24">Ерриг а стигал цхьана йистера вукху йисте кхаччалц серлаяьккхина, стелахаьштиг санна, хир ву Адамийн КӀант Шен дийнахь.</verse>
				<verse number="25">Амма и де тӀекхачале, дуккха а баланаш лан дезар ду Цуьнан. ХӀокху адамийн тӀаьхьено эккхор а ву Иза.</verse>
				<verse number="26">Нохьа-пайхамаран деношкахь ма-хиллара хир ду Адамийн КӀентан деношкахь а.</verse>
				<verse number="27">Нах дууш, молуш, зударий балош, маре оьхуш бара Нохьа-пайхамар хӀордкеманна чу валлалц. Амма цул тӀаьхьа хи а хьаьдда, и берриг нах хӀаллакьхилира.</verse>
				<verse number="28">Изза дара ЛутӀа волчу деношкахь а: дуура, молура, оьцура, духкура, дӀадоьра, гӀишлош йора.</verse>
				<verse number="29">Амма ЛутӀа Седамера араваьллачу дийнахь стигалара, догӀа санна, деанчу цӀеро а, саьмгало а дерриг а адам хӀаллакдира.</verse>
				<verse number="30">Иштта хир ду Адамийн КӀант гучувоккхучу дийнахь а.</verse>
				<verse number="31">Оцу дийнахь тхов тӀехь нисвелларг шен хӀуманаш схьаэца цӀа чу ма гӀо. Эрна арахь верг цӀа юха ма верза.</verse>
				<verse number="32">Дагадаийта шайна ЛутӀин зудчух хилларг.</verse>
				<verse number="33">Шен са лардечо иза хӀаллакдийр ду, ткъа са дӀалочо иза Ӏалашдийр ду.</verse>
				<verse number="34">Билггала боху шуьга: цу буса цхьаьна дӀабийшинчех цхьаъ дӀаоьцур ву, ткъа важа вуьтур ву.</verse>
				<verse number="35">КӀа оручу шина зудчух цхьаъ дӀаоьцур ю, важа юьтур ю».</verse>
				<verse number="36">***</verse>
				<verse number="37">«Мичахь хир ду иза, Эла?» — аьлла, хаьттира Цуьнан мурдаша. Ӏийсас элира: «Дакъа долчу хьаргӀанаш а гуллур ю».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="18">
				<verse number="1">Гуттар а доӀанаш деш, догйовха хилийтархьама, Ӏийсас Шен мурдашна цхьа хьекъале хӀума дийцира:</verse>
				<verse number="2">«Цхьана гӀалахь вехаш цхьа кхелахо хилла. Иза Делах ца кхоьруш а, нахах эхь ца хеташ а стаг хилла.</verse>
				<verse number="3">Оццу гӀалахь ехаш йисина Ӏаш йолу зуда а хилла. Денна а кхелахочунна тӀе а оьхуш, цуьнга дехарш деш хилла цо: „Сан довхочуьнца болчу къовсамехь нийсонна тӀе кхачаехьа со“, — бохуш.</verse>
				<verse number="4">Цхьа хан яллалц цунна накъосталла ца деш Ӏийначу кхелахочо эххар а ойла йина: „Делах ца кхерахь а, нахах эхь ца хетахь а,</verse>
				<verse number="5">оцу зудчунна гӀо дан деза ас, хӀора дийнахь схьа а оьхуш, цуьнга со хьийза ца вайта“, — аьлла».</verse>
				<verse number="6">Везачу Эло аьлла: «Ойла елаш оцу харц кхелахочо дуьйцучух лаций.</verse>
				<verse number="7">Дийнахь а, буса а Шега кхойкхуш болу, Ша хаьржина болу нах нийсонна тӀе кхачор бац Дала? Церан дуьхьа сихлур вац Иза?</verse>
				<verse number="8">Ас боху шуьга: Цо, хьем ца беш, нийсоне кхочуьйтур бу уьш. Амма Адамийн КӀант дуьнен чу веача, карор буй теша Цунна Шех тешаш болу нах?»</verse>
				<verse number="9">Шайх тоам а бина, кхечарах ца бешачу нахана цхьа хьекъале хӀума дийцира Ӏийсас:</verse>
				<verse number="10">«Ши стаг вахана Делан цӀа чу доӀа дан: цхьаъ — парушхо, важа — ял гулъеш верг.</verse>
				<verse number="11">Парушхочо, дӀа а хӀоьттина, доӀа деш хилла: „Дела! Хастам бу Хьуна, талорхой, харцончаш, нахаца леларш я хӀара ял гулъеш верг санна со ца хиларна.</verse>
				<verse number="12">КӀирнах шозза марха а кхобу ас, сайн тӀедогӀучу хьолах уьтталгӀа дакъа нахана сагӀина а ло ас“, — бохуш.</verse>
				<verse number="13">Гено лаьтташ вара ял гулъеш верг. Стигала ши бӀаьрг хьала хьажо а ца ваьхьаш, шен некха тӀе буй а бетташ, бохура цо: „Дела! Къинхетам бехьа сох, къинош летийначу стагах“, — бохуш.</verse>
				<verse number="14">Билггала боху шуьга, цу шиннах геч а дина цӀа ваханарг ял гулъеш верг ву. ХӀунда аьлча хӀора ша лакхара хеташ верг, лах а вина, кӀезиг хетар ву, ткъа ша кӀезиг хеташ верг лакхаваьккхина хир ву».</verse>
				<verse number="15">Ӏийса волчу кегий бераш а даладора, Цуьнга, уьш декъалдеш, царна тӀехула куьйгаш лацийта. И гиначу мурдаша берашца болу нах човхабора.</verse>
				<verse number="16">Амма Ӏийсас, бераш Шена тӀе а кхайкхина, элира мурдашка: «ХӀара бераш тӀедахкийта Суна, царна дуьхьало ма е, хӀунда аьлча Делан Олалла тӀелаьцнарш уьш санна бу.</verse>
				<verse number="17">Билггала боху шуьга: беро санна, Делан Олалла тӀе ца лоцуш верг цкъа а Делаца хир вац».</verse>
				<verse number="18">Цхьана хьаькамо хаьттира Ӏийсага: «Дика Устаз! Ас хӀун дан деза Дела волчохь цкъа а чекхдер доцу дахар кхачийтархьама?»</verse>
				<verse number="19">«Сох „дика“ хӀунда олу ахь? — хаьттира Ӏийсас. — Цхьа а вац дика, цхьа Дела воцург.</verse>
				<verse number="20">Дала тӀедехкина гӀуллакхаш хьуна хууш ма ду: „Нахаца ма лела, адам ма де, къола ма де, харц тоьшалла ма де, дай-наний лара“?»</verse>
				<verse number="21">«Беран хенахь дуьйна и дерриг кхочушдеш схьавогӀуш ву со», — аьлла хьаькамо.</verse>
				<verse number="22">И хезча, Ӏийсас элира: «Кхин цхьа хӀума дан деза ахь: хьайн долахь дерг дерриг дӀа а дохкий, къечарна дӀасадекъа, тӀаккха стигалахь жовхӀар хир ду хьан. Цул тӀаьхьа, схьа а волий, Суна тӀаьхьахӀотта».</verse>
				<verse number="23">Хьаькам гӀайгӀане вуьйжира и хезча, хӀунда аьлча иза чӀогӀа хьал долуш стаг вара.</verse>
				<verse number="24">Ӏийсас, цуьнга хьаьжча, иза гӀайгӀане вожар а гина, элира: «Мел хала ду хьал долчу стагана Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь хила.</verse>
				<verse number="25">Эмкална механ Ӏуьргахула чекхъяла атта ду, хьал долчу стагана Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь хуьлучул».</verse>
				<verse number="26">И дерриг хезначара хаьттира: «КӀелхьара мила ваккхалур ву ткъа?»</verse>
				<verse number="27">Ӏийсас жоп делира: «Адамашка ца далун дерг Деле далур ду».</verse>
				<verse number="28">ТӀаккха Кипас элира: «Тхо ду-кх, дерриг а дитина, Хьуна тӀаьхьахӀиттинарш».</verse>
				<verse number="29">Ӏийсас элира: «Билггала боху шуьга: Делан Олалла кхайкхоран дуьхьа шен цӀа а, да-нана а, зуда а, бераш а, йиша-ваша а дитинчунна</verse>
				<verse number="30">хӀинца а алссам дерг хир ду, ткъа тӀейогӀу йолчу заман чохь Делаца долу цкъа а чекхдер доцу дахар а хир ду».</verse>
				<verse number="31">Шен шийтта векал юьстах а кхайкхина, Ӏийсас элира цаьрга: «Вай хӀинца Ярушалайм лаьттачу хьаладовлуш ду, цигахь дерриг кхочуш хир ду Адамийн КӀантах пайхамарша дӀаяздинарг.</verse>
				<verse number="32">Иза кхечу къаьмнех болчу нахе дӀалур ву. Уьш Цунах боьлуш, Иза хьийзош, Цунна тӀе шеташ етташ хир бу.</verse>
				<verse number="33">Цара Цунна шед еттар ю, тӀаьххьара вуьйр а ву, амма кхозлагӀчу дийнахь Иза денлур ву».</verse>
				<verse number="34">Цо дийцинчух векалш ца кхийтира, Цуьнан дешнийн маьӀна царна къевлина дара.</verse>
				<verse number="35">Ӏийса Ерихон-гӀали улло кхочучу хенахь, некъа йистехь сагӀа доьхуш Ӏара цхьа бӀаьрзе стаг.</verse>
				<verse number="36">Уллохула тӀехдовлучу адамийн гӀовгӀа а хезна, цо хаьттира: «И хӀун ду?» — аьлла.</verse>
				<verse number="37">Цунна жоп делира: «Назартера Ӏийса ву и тӀехволуш верг», — аьлла.</verse>
				<verse number="38">ТӀаккха бӀаьрзечо мохь хьаькхира: «Даудан кӀант Ӏийса! Къинхетам бехьа сох!» — аьлла.</verse>
				<verse number="39">Хьалха богӀучу наха чехавора иза, гӀовгӀа ма е бохуш. Амма цо кхин а чӀогӀа мохь беттара: «Даудан кӀант! Къинхетам бехьа сох!» — бохуш.</verse>
				<verse number="40">Ӏийсас, саца а сецна, и стаг Шена тӀевалавайтира. Иза тӀекхаьчча, хаьттира цуьнга:</verse>
				<verse number="41">«Соьгара хӀун оьшу хьуна?» — аьлла. БӀаьрзечо дийхира: «Эла! Са гуш хила лаьара суна», — аьлла.</verse>
				<verse number="42">Ӏийсас элира цуьнга: «Са гуш хила хьайна! Хьан тешаро кӀелхьарваьккхи хьо».</verse>
				<verse number="43">Цу сохьта бӀаьрзечун са схьадеара. Иза Ӏийсана тӀаьхьа вахара, Далла хастамаш а беш. И дерриг гина нах даггара Далла хастамаш бан хӀиттира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="19">
				<verse number="1">Цул тӀаьхьа Ӏийса Ерихон-гӀалахула чекхволуш вара.</verse>
				<verse number="2">Цу гӀалахь вехаш вара ял гулъечеран хьаькам а волуш, хьал долуш цхьа стаг. Цуьнан цӀе Закай яра.</verse>
				<verse number="3">Закайна чӀогӀа лаьара Ӏийса ган, амма дегӀана жима волу дела, нахана тӀехула ца хьажалора иза.</verse>
				<verse number="4">Ведда хьалха дӀа а вахана, цхьана комарийн дитта тӀе хьалавелира иза, тӀехволу Ӏийса гархьама, хӀунда аьлча Ӏийса цигахула дӀаваха везаш вара.</verse>
				<verse number="5">Закай волчу метте тӀевеана, хьала а хьаьжна, Ӏийсас элира: «Закай, сихха чувосса! Хьо волчохь саца веза Со тахана».</verse>
				<verse number="6">Вукхо, сиха чу а воьссина, хазахетарца тӀеийцира Ӏийса шен хӀусамехь.</verse>
				<verse number="7">И дерриг гина, резабоцучара вовшашлахь шабарш дора: «Къинош летийначу стеган хӀусаме хьошалгӀа веа-кх Иза».</verse>
				<verse number="8">Закайс, хьала а гӀаьттина, элира Везачу Эле: «Эла! Ас сайн ах бахам къечарна дӀалур бу, нагахь ас цхьана хӀумана тӀехь стаг левинехь, цунна хилла зе доьазза меттахӀоттор ду!»</verse>
				<verse number="9">Ӏийсас элира: «Тахана къинхетам боьссина кху хӀусаме, хӀунда аьлча иза а ИбрахӀиман кӀант ву.</verse>
				<verse number="10">Адамийн КӀант дайнарг каро а, кӀелхьардаккха а веана ма ву».</verse>
				<verse number="11">ЛадугӀучарна Ӏийсас цхьа хьекъале хӀума дийцира. Иза Ярушалаймана уллохь волу дела, халкъана моттаделира Делан Олалла хӀинццехь гучудаьлла хир ду.</verse>
				<verse number="12">Ӏийсас дийца долийра: «Паччахьан цӀийнах волу цхьа стаг хилла генарчу махка ваха араволуш, цу махкахь шен паччахьан бакъонаш чӀагӀ а йина, вухаверзархьама.</verse>
				<verse number="13">Ша дӀавахале, шен ялхой схьа а кхайкхина, цаьрга итт дашо ахча а делла, аьлла цо: „Со вухавале, хӀара ахча пайда хуьлучу гӀуллакхна хьажаде“.</verse>
				<verse number="14">Амма оцу махкарчу нахана ца везара и стаг. Цара цунна тӀаьххье хьадалчаш бахийтира, шайн лаам дӀахаийта: „Тхуна ца лаьа и стаг тхайн паччахь хила“, — аьлла.</verse>
				<verse number="15">Паччахь а хилла, ша вухавеача, цу стага схьакхайкхийтира шен ялхошка. Цаьрга, шен ахчанах хӀун пайда хилла аьлла, хаьттира цо.</verse>
				<verse number="16">Хьалхарчу ялхочо, ван а веана, элира: „Эла! Хьан цхьана дашо ахчано итт дашо ахча пайда бина“, — аьлла.</verse>
				<verse number="17">ХӀусамдас аьлла цуьнга: „Дика ду, хьо дика ялхо ву. Хьо кӀезигчу хӀуманна тӀехь тешаме хиларна, хьан куьйгалла кӀел итт гӀала ло ас“.</verse>
				<verse number="18">ШолгӀачо аьлла: „Эла! Хьан цхьана дашо ахчано пхи дашо ахча пайда бина“.</verse>
				<verse number="19">„Хьо пхеа гӀалина тӀехь куьйгалла дан хӀоттаво ас“, — аьлла цуьнга паччахьо.</verse>
				<verse number="20">20-21 Схьавеана, кхозлагӀчо аьлла: „Эла! ХӀара ду хьан дашо ахча, со хьох кхоьру дела, йовлакха юкъахь Ӏалашдинера ас иза, хӀунда аьлча хьо къиза стаг ву: айхьа дӀа ца йиллинчуьра хӀума схьаоьцу ахь, айхьа дӀа ца дийначуьра ялта хьокху ахь“, — аьлла.</verse>
				<verse number="21">***</verse>
				<verse number="22">Паччахьо элира цуьнга: „Айхьа-хьайна кхел йи ахь, мекара ялхо! Хьуна хаьара со къиза стаг вуйла: айса дӀа ца йиллинчуьра хӀума схьаоьцуш а, айса дӀа ца дийначуьра ялта хьокхуш а.</verse>
				<verse number="23">Со цӀа вале оцу ахчанах суна пайда хӀунда ца бира ахь, тӀе са а йоккхуш иза юхалург делла а?“ — аьлла.</verse>
				<verse number="24">ТӀаккха уллохь лаьттачаьрга элира цо: „Схьаэца цуьнгара дашо ахча, дӀало иза итт дашо ахча пайда бинчунна“, — аьлла.</verse>
				<verse number="25">Ялхоша элира: „Эла! Цуьнгахь итт дашо ахча долуш ма ду“, — аьлла.</verse>
				<verse number="26">Паччахьо жоп делира: „Ас боху шуьга: долчунна кхин а тӀелур ду, ткъа доцучуьнгара цуьнан данне а доцург а дӀадоккхур ду.</verse>
				<verse number="27">Ткъа аса шайна тӀехь паччахьалла дан ца лууш хилла болу сан мостагӀий, схьа а балабай, хӀокху меттехь, суна хьалхахь байа“, — аьлла».</verse>
				<verse number="28">Шен дийцар чекх а даьккхина, Ярушалайме боьдучу новкъахула мурдашна хьалхаваьлла вахара Ӏийса.</verse>
				<verse number="29">Зайт-диттийн ломан басенашкахь Ӏохкуш йолу Бет-Паг а, Бет-ХӀина а гӀаланашна тӀекхочуш, Шен мурдех шиъ вахийтира Цо, царна тӀе декхар а диллина:</verse>
				<verse number="30">«Шайна хьалха лаьттачу юьрта дӀагӀо. Шу юьрта чу довллушехь, цхьа а стаг тӀе а хааза, дӀайихкина къона вир карор ю шуна, схьа а ястий, иза кхуза схьаялае.</verse>
				<verse number="31">Цхьамма шайга хаттахь: „Схьа хӀунда йосту аш иза?“ — аьлла, „Элана оьшу хӀара“, — эр ду аш».</verse>
				<verse number="32">ДӀабаханчу мурдашна, Ӏийсас ма-аллара, карийра дерриг а.</verse>
				<verse number="33">Цара вир схьайостучу хенахь, хӀусамдайша хаьттира: «Вир схьа хӀунда йосту аш?» — аьлла.</verse>
				<verse number="34">Кхара жоп делира: «ХӀара Элана оьшу», — аьлла.</verse>
				<verse number="35">Мурдаша, вир схьа а ялийна, цунна тӀе шайн тӀехулара бедар а кхоьссина, Ӏийса тӀехаийра.</verse>
				<verse number="36">Иза новкъа вогӀуш, цара шайн бедарш Цунна хьалха некъа тӀе охьатуьйсура.</verse>
				<verse number="37">Зайт-диттийн лам тӀера некъ охьабоьрзучу меттехь берриг мурдаш самукъадаларца, мохь туххуш Далла хастамаш бан буьйлабелира, шайна мел гина тамашийна гӀуллакхаш бахьана долуш:</verse>
				<verse number="38">«Декъала ву Везачу Элан цӀарах вогӀуш волу Паччахь! Стигалахь барт бу, лакхахь хастам бу!» — бохуш.</verse>
				<verse number="39">Нахана юкъара цхьаболчу парушхоша элира Ӏийсага: «Устаз! Совцабе Хьайн мурдаш!» — аьлла.</verse>
				<verse number="40">Цо жоп делира царна: «Билггала боху шуьга: нагахь уьш совцахь, тӀулгаша а маьхьарий деттар ду».</verse>
				<verse number="41">Уьш Ярушалаймана улло кхаьчча, гӀала а гина, Ӏийсан бӀаьргех хи делира.</verse>
				<verse number="42">Цо элира: «Маржа-яӀ! ХӀокху дийнахь мукъана а хьайна чохь бартехьа болу некъ хилийта хӀун оьшу хьуна хиъча!.. Амма тахана лачкъийна ду-кх и хьан бӀаьргех.</verse>
				<verse number="43">Цхьа денош догӀур ду, мостагӀаша го а тесна, баьрзнаш а дина, хьо юкъа а йоьллина, массо а агӀор хьо къовлуш.</verse>
				<verse number="44">ТӀулга тӀехь тӀулг а ца буьтуш, йохор ю хьо, хьан бахархой а бойур бу. И дерриг хир ду, хьайна чу Веза Эла воьссина хан хьуна ца хаар бахьана долуш».</verse>
				<verse number="45">Делан цӀийнан керта а веана, цигара мах беш болу нах дӀалахка волавелира Ӏийса.</verse>
				<verse number="46">«Яздина ду, — бохура Цо цаьрга, — „Сан цӀа доӀанаш ден цӀа олуш хир ду“, — аьлла, ткъа аш кхунах зуламхойн бен бина».</verse>
				<verse number="47">Ӏийсас хӀора дийнахь Делан цӀийнан кертахь хьоьхура. Динан коьрта дай а, Ӏелам нах а, баккхий нах а Ӏийса хӀаллакван лууш бара.</verse>
				<verse number="48">Амма церан аьтто ца болура, хӀунда аьлча дерриг адам гуттар а Цуьнца дара, хӀора Цуьнан даше ладугӀуш.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="20">
				<verse number="1">ТӀаьхьо, Ӏийса Делан цӀийнан кертахь хаза кхаъ кхайкхош волуш, Цунна тӀебаьхкира динан коьрта дай а, Ӏелам нах а, баккхий нах а.</verse>
				<verse number="2">«Муьлхачу бакъонца ду Ахь деш дерг? Хьан елла Хьуна и бакъо?» — аьлла, хаьттира цара.</verse>
				<verse number="3">Ӏийсас жоп делира: «ХӀинца Аса а дийр дара шуьга цхьа хаттар:</verse>
				<verse number="4">Яхьъяна хих нах чекхбаха елла бакъо стигалара яра я адамашкара яра?»</verse>
				<verse number="5">ТӀебаьхкинарш вовшийн барт бан хӀиттира: «Нагахь вай: „Стигалара яра“, алахь, Цо хоттур ду: „Цунах хӀунда ца тийшира шу?“ — аьлла.</verse>
				<verse number="6">Амма нагахь: „Адамашкара яра“, — алахь, наха вайна тӀулгаш кхуьссур ду, хӀунда аьлча уьш тешна бу Яхьъя пайхамар хиларх».</verse>
				<verse number="7">Цара жоп делира: «Ца хаьа тхуна», — аьлла.</verse>
				<verse number="8">Ӏийсас элира: «ТӀаккха Ас а эр дац шуьга, муьлхачу бакъонца деш ду Айса деш дерг».</verse>
				<verse number="9">Юха Ӏийсас нахана цхьа хьекъале хӀума дийцира: «Цхьана стага кемсаш йийна хилла. Уьш лело белхалошка дӀа а елла, дуккха а ханна цӀера ваьлла хилла иза.</verse>
				<verse number="10">Кемсаш хуьлучу хенахь шен ялхо вахийтина цо белхалошна тӀе, гулбинчу стоьмех цхьа дакъа да шена аьлла. Амма белхалоша ялхо, етта а йиттина, ваьсса цӀа хьажийна.</verse>
				<verse number="11">ХӀусамдас кхин цхьа ялхо а вахийтина, амма цара, етта а йиттина, сийсаз а вина, хӀумма а ца луш, дӀахьажийна иза а.</verse>
				<verse number="12">Цо кхозлагӀа ялхо вахийтина. Белхалоша йиттина, цӀийх а вуьзна, эккхийна иза а.</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха хӀусамдас аьлла: „ХӀун дан деза ас? Сайн хьоме кӀант вахийта веза ас, цуьнга мукъана а ларам хир бац теша церан?“</verse>
				<verse number="14">Амма шайна тӀевеана и кӀант гича, белхалойн сацам хилла: „Иза хинволу хӀусамда ву. Вай иза вен веза, тӀаккха цуьнан бахам вайна буьсур бу“.</verse>
				<verse number="15">Кемсийн бешара ара а ваьккхина, вийна цара иза. Ткъа хӀинца хӀун дийр ду царна хӀусамдас?</verse>
				<verse number="16">Ван а веана, и белхалой байа а байина, кхечаьрга дӀалур ю-кх кемсийн беш». ЛадугӀучара элира: «Иза иштта ма хуьлийла!»</verse>
				<verse number="17">Ӏийсас, леррина цаьрга а хьаьжна, элира: «ХӀун маьӀна долуш ду Делан Йозанан дешнаш: „ГӀишло еш пхьераша дӀакхоьссина тӀулг цӀийнан сонан йистехь коьрта тӀулг хилла, дӀахӀоьттина“?</verse>
				<verse number="18">Муьлхха а оцу тӀулга тӀе охьавоьжнарг аталур ву, ткъа и тӀулг цхьанна тӀе боьжча, цо хьошур ву».</verse>
				<verse number="19">И дийцар шайна дуьхьал далийна дуй кхетта, цу сохьта Ӏийса лаца аьтто лоьхура динан дайша а, Ӏеламчу наха а. Амма уьш нахах кхоьрура.</verse>
				<verse number="20">Цара Ӏийса леррина тергалвора, Цунна тӀе шайн мотт бетта нах а оьхуьйтуш. Муьлххачу даша тӀехь ваьлла а Иза галвалахь, мехкан куьйгалхочун Ӏедале дӀаваларе сатуьйсуш, и мекара нах гонах хьийзара Цунна, шаьш диканаш бу а моттуьйтуш.</verse>
				<verse number="21">Цкъа хаьттира мотт беттачара: «Устаз! Хьан дешнаш а, хьехамаш а нийса буй хаьа тхуна. Стаге ца хьожуш, Ахь нийса хьоьху Далла лууш дерг.</verse>
				<verse number="22">Алахьа, нийса дуй те римхойн паччахьна ял ялар я дац?»</verse>
				<verse number="23">Церан мекарло гуш, Ӏийсас элира:</verse>
				<verse number="24">«Схьагайтал Суна дато динари-ахча. Хьенан сурт ду кху тӀехь диллинарг, хьенан цӀе ю язйина?» «Римхойн паччахьан ю-кх», — элира цара.</verse>
				<verse number="25">ТӀаккха Цо жоп делира цаьрга: «Делахь, паччахьна паччахьна доггӀург дӀало, Далла — Далла доггӀург».</verse>
				<verse number="26">Нахана хьалха цхьана а хӀуманна тӀехь Иза лаца а ца велла, Цуьнан жоьпах цецбевлла, дӀасевцира мотт беттарш.</verse>
				<verse number="27">Ӏийсана тӀе садукъой баьхкира. Уьш ца тешара велла стаг денваларх. Цара хаьттира Цуьнга:</verse>
				<verse number="28">«Устаз! Муса-пайхамаро яздина вайна, нагахь стаг велча, цуьнан зуда доьзалхо воцуш йисахь, веллачун вашас и зуда яло еза шен вешин тӀаьхье меттахӀотто.</verse>
				<verse number="29">ВорхӀ ваша хилла. Хьалхарчо зуда ялийна, амма и лечу хенахь доьзалхо ца хилла цуьнан.</verse>
				<verse number="30">Иштта хилла шолгӀачу вешина а.</verse>
				<verse number="31">КхозлагӀчо ялийна иза, иштта ворхӀе а велла уьш, цхьа а бер доцуш.</verse>
				<verse number="32">Эххар и зуда а елла.</verse>
				<verse number="33">Масала, уьш денбелча, хьенан зуда хир ю иза, ворхӀангахь а иза марехь хилла хилча?»</verse>
				<verse number="34">Ӏийсас жоп делира: «Кху дуьнен чохь зударий а балабо, маре а боьлху.</verse>
				<verse number="35">ТӀейогӀучу хенахь беллачуьра денбала хьакъ берш зударий балош я маре боьлхуш хир бац.</verse>
				<verse number="36">Деллачуьра ден а делла, уьш Делан бераш ду. Маликех тарделла, уьш кхин лийр дац.</verse>
				<verse number="37">Ткъа белларш билггала денлург хилар Муса-пайхамаро гайтира коканийн колл йогучу хенахь. Мусас Везачу Элах „ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела“ аьлла.</verse>
				<verse number="38">Амма Дела беллачеран Дела вац, дийначеран Дела ву, хӀунда аьлча Цунна гергахь массо а дийна ву!»</verse>
				<verse number="39">И хезча, цхьаболчу Ӏеламчу наха элира: «Дика жоп делира Ахь, Устаз!» — аьлла.</verse>
				<verse number="40">Кхин цхьа а Цуьнга хаттар дала ца хӀуттура.</verse>
				<verse number="41">Юха Ӏийсас хаьттира: «Дала леррина КъобалвинаргДаудан КӀант ву хӀунда олу?</verse>
				<verse number="42">Дауда забура тӀехь ша ма-аллара: „Везачу Эло сан Хьалдолчу Эле аьлла: Суна аьтту агӀор охьахаа,</verse>
				<verse number="43">Аса Хьан мостагӀий Хьан когашка охьабахккалц“.</verse>
				<verse number="44">Нагахь Дауда Цунах „Хьалдолу Эла“ аьлча, цуьнан кӀант муха хуьлу Иза?»</verse>
				<verse number="45">Массо а Ӏийсага ладугӀуш вара, ткъа Цо Шен мурдашка элира:</verse>
				<verse number="46">«Ӏеламчу нахах ларлолаш. Уьш деха духарш духий лела, базаран майданашкахь шайга маршалла хоттуш хазахета царна, гуламан цӀа чохь а, той долчохь а баьрччехь Ӏан лаьа царна.</verse>
				<verse number="47">Цара бисина Ӏан зударий шайн цӀенойх а боху, шаьш гайтархьама деха доӀанаш а до. Амма иштта болчарна луьра таӀзар хир ду».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="21">
				<verse number="1">Ӏийсана гира хьалдолчу наха Делан цӀийнан кертахь сагӀа гулдечу хазнина чу сагӀина хӀума луш.</verse>
				<verse number="2">Цхьа йисина Ӏаш йолу къен зуда а гира Цунна. Цу зудчо ши жима цӀестан ахча охьадиллира.</verse>
				<verse number="3">«Бакъдерг боху шуьга, — элира Ӏийсас, — хӀокху йисина Ӏачу къен зудчо сагӀина делларг массара деллачул а деза ду.</verse>
				<verse number="4">Вукхара шайн хьолах совдаьлларг луш дара, ткъа цо шен таро йоццушехь, шена юучунна хӀумма а ца дуьссушехь, дерриг а охьадиллина».</verse>
				<verse number="5">Цхьаболчу Ӏийсан мурдаша тидам бира Делан цӀа дезачу мехалчу тӀулгех а, Далла деанчу совгӀатех а кечдина хилар. Амма Ӏийсас элира:</verse>
				<verse number="6">«Цхьа хан йогӀур ю, хӀара шуна гуш дерг дерриг а дохош, тӀулга тӀехь тӀулг а ца буьтуш».</verse>
				<verse number="7">Мурдаша хаьттира: «Устаз! Маца хир ду иза? ХӀун билгало хир ю и хиндерг тӀекхачаран?»</verse>
				<verse number="8">Цо элира: «Ларлолаш, шаьш ле ма дайталаш, хӀунда аьлча Сан цӀарца дукха нах богӀур бу: „Со ву Иза“ я „Хан тӀекхочуш ю“, — бохуш. Царна тӀаьхьа ма хӀитталаш.</verse>
				<verse number="9">ТӀемах я гӀаттамах шайна хӀума хазахь, кхера ма лолаш. И дерриг цкъа хьалха хир ду, амма чаккхе иштта сиха хир яц».</verse>
				<verse number="10">Ӏийсас кхидӀа а дуьйцура: «Халкъана дуьхьал халкъ гӀоттур ду, мохк махкана дуьхьал бер бу.</verse>
				<verse number="11">МаьӀ-маьӀӀехь чӀогӀа мохк бегор бу, мацалла а хир ю, ун а хир ду, инзаре а, кхераме а хӀуманаш хир ду, стигалара тамашийна билгалонаш а хир ю.</verse>
				<verse number="12">Амма и хӀуманаш хилале, шу дӀа а лоьцур ду, лаьхкина а лелор ду. Со бахьана долуш, гуламан цӀеношкахь кхел а йина, набахте чу а духкуш, паччахьийн а, куьйгалхойн а кара дӀа а луш, лелор ду шу.</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха царна тоьшалла дан йиш хир ю шун.</verse>
				<verse number="14">Хаа ду шуна, хьалхе дуьйна шаьш ала дезачун ойла ма елаш.</verse>
				<verse number="15">Ас шуна лун долчу дешнашна а, хьекъална а дуьхьало ян ницкъ кхочур бац шун довхойн.</verse>
				<verse number="16">Дайша-наноша а, вежарша а, гергарчара а, доттагӀаша а ямартло йийр ю шуна, цхьаберш бойур а бу шух.</verse>
				<verse number="17">Сан цӀе бахьана долуш цхьанна а дезар дац шу.</verse>
				<verse number="18">Амма кхера ма кхералаш, шун кортош тӀера цхьа мас а галъер яц.</verse>
				<verse number="19">Собаре хилахь, шайн синош кӀелхьардохур ду аша».</verse>
				<verse number="20">«Ярушалайм эскарша го бина гича, хаалаш, и йохо хан гергакхаьчна хилар.</verse>
				<verse number="21">ТӀаккха ЯхӀуд-махкахь берш лаьмнашка бовда беза, гӀалахь берш цу чуьра арабовла беза, гӀалина арахь берш чу ца богӀуш совца беза,</verse>
				<verse number="22">хӀунда аьлча уьш „таӀзаран денош“ хир ду, Делан Йозанашкахь мел яздинарг кхочушхилийтархьама.</verse>
				<verse number="23">Боккхачу баланехь хир бу цу дийнахь доьзалхочух болу а, бераш дакхош болу а зударий. Инзаре боккха бала буссур бу кху лаьтта тӀе, Дела оьгӀазгӀур ву кху халкъана.</verse>
				<verse number="24">Дукха адам туьро хьокхур ду, массо а мехкашка йийсаре дуьгур ду. Ярушалайм кхечу къаьмнех болчара хьаьшна латтор ю, шайн хан дӀаяллалц».</verse>
				<verse number="25">«Малха тӀехь, батта тӀехь, седарчаш тӀехь тамашийна билгалонаш гур ю шуна. Ловзабаьллачу хӀордан тулгӀенийн гӀовгӀано кхерийна халкъаш дуьнен чохь сингаттамехь хир ду.</verse>
				<verse number="26">Лаьтта тӀе буссур болчу баланех кхоьруш, са лоьцуш хир бу нах, стигалшкахь мел дерг меттахдер йолу дела.</verse>
				<verse number="27">ТӀаккха гур ву царна Шен ницкъаца а, доккхачу сийлаллица а „мархи тӀехула вогӀу Адамийн КӀант“.</verse>
				<verse number="28">И хила доьлча, хьала а гӀовттий, шайн кортош хьалаайа, хӀунда аьлча шун кӀелхьардахар герга кхаьчна».</verse>
				<verse number="29">Ӏийсас иштта масална цхьа дустар далийра царна: «Хьовсал комарийн дитте а, массо кхечу дитташка а.</verse>
				<verse number="30">Царна тӀе гӀаш девлча, хаьа шуна аьхке герга кхаьчнийла.</verse>
				<verse number="31">Иштта ду кхузахь а, и хӀуманаш хила доьлча, хаа ду шуна Делан Олалла гергга дуйла.</verse>
				<verse number="32">Бакъдерг боху шуьга: хӀара адамийн тӀаьхье чекхъялале хир ду и дерриг а.</verse>
				<verse number="33">Стигаллий, латтий къайладаьлча а, Сан дешнаш довр дац».</verse>
				<verse number="34">«Варелаш, тӀехъюучу хӀумане, маларе, дахаран хьашташка шайн дегнаш дӀа ма лецийталаш, хӀунда аьлча оцу дийно дӀалоцур ду шу,</verse>
				<verse number="35">цӀеххьана цхьаъ лаца йинчу кӀелоно санна. Дуьнен чуьра массо а адамна тӀекхочур ду и де.</verse>
				<verse number="36">Гуттар а сема хила, доӀанаш де, мел хила безаш болчу баланех чекхдовла шайн ницкъ хилийтархьама, Адамийн КӀантана хьалха хӀитта кийча хилархьама».</verse>
				<verse number="37">Дийнахь Ӏийсас Делан цӀа долчу кертахь хьехамаш бора, ткъа сарахь Зайт-диттийн лам тӀе а воьдий, цигахь буьйса йоккхура.</verse>
				<verse number="38">Ӏуьйранна хьалххе Цуьнга ладогӀа адамаш догӀура Делан цӀа лаьттачу керта.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="22">
				<verse number="1">Шех «Пасахь» олу совсазчу баьпкан деза де дара тӀекхочуш.</verse>
				<verse number="2">Динан коьрта дай а, Ӏелам нах а аьтто лоьхуш бара Ӏийса хӀаллакван, амма уьш халкъах кхоьрура.</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха ЯхӀудана-Искархочунна чу иблис дуьйлира. ЯхӀуд Ӏийсан шийтта векалх цхьаъ вара.</verse>
				<verse number="4">Цо, динан коьртачу дайшна а, Делан цӀийнан гӀаролхойн хьаькамашна а тӀе а вахана, Ӏийса царна дӀаваларх лаьцна къамел дира.</verse>
				<verse number="5">Самукъадаьлла, цунна ахча дала барт хилира церан.</verse>
				<verse number="6">ЯхӀуд иза схьаэца реза хилира. Ӏийса царна дӀавала аьтто лоьхура цо, Цунна уллохь халкъ доцучу хенахь.</verse>
				<verse number="7">Совсазчу баьпкан деза де тӀекхечира. Цу дийнахь Пасахьан Ӏахар бен безаш бара — яа хӀума кечъян.</verse>
				<verse number="8">Ӏийсас Кипий, Яхьъяй вахийтира: «Ваха а гӀой, шиммо а вайна Пасахьана дууш долу суьйренан пхьор кечде», — аьлла.</verse>
				<verse number="9">«Мичахь кечдан лаьа Хьуна иза?» — аьлла, хаьттира цара.</verse>
				<verse number="10">Цо элира: «ГӀала чу вулуш, кхаби чохь хи дахьаш вогӀу стаг дуьхьалкхетар ву шуна. Цунна тӀаьххье иза вахханчу цӀа чу гӀо.</verse>
				<verse number="11">ХӀусамдега эр ду аша: „Устазо хоьтту: Шен мурдашца Пасахьан суьйренан пхьор даа чоь мичахь ю?“</verse>
				<verse number="12">Цо шуна лакха тӀехь кечйина йоккха чоь гойтур ю, цу чохь кечам бийр бу аш».</verse>
				<verse number="13">Цара, дӀа а бахана, Цо ма-бохху дерриг кара а дина, Пасахьана кечам бира.</verse>
				<verse number="14">Хан тӀекхаьчча, Ӏийса а, Цуьнан векалш а шуьнна гонах гулбелира.</verse>
				<verse number="15">Ӏийсас элира цаьрга: «Сайн бала тӀелацале, хӀара Пасахьан Ӏахар чӀогӀа шуьца баа лиънера Суна.</verse>
				<verse number="16">Ас боху шуьга: хӀара Пасахь Ас дуур дац, Иза Делан Олаллехь кхочушхиллалц».</verse>
				<verse number="17">Ӏийсас, чагӀаран кад схьа а эцна, доӀанца цунах баркалла а аьлла, элира: «Схьа а эций, шайна юкъахь декъа хӀара.</verse>
				<verse number="18">Ас боху шуьга: кемсех даьккхина долу кхин цхьа а малар Аса мер дац, Делан Олаллин де тӀекхаччалц».</verse>
				<verse number="19">Цо, бепиг схьа а эцна, доӀанца цунах баркалла а аьлла, декъа а декъна, мурдашка дӀаделира: «Сан дегӀ ду хӀара, шун дуьхьа дӀалун долу. Со дагалацархьама, иштта делаш».</verse>
				<verse number="20">Шаьш пхьор диина девлча, Ӏийсас, чагӀаран кад схьа а эцна, элира: «Шун дуьхьа Ӏанор долчу Сан цӀийца бинчу керлачу бертан кад бу хӀара.</verse>
				<verse number="21">Суна ямарта волчун куьг а ду Сайчунна уллохь стоьла тӀехь.</verse>
				<verse number="22">Адамийн КӀантаца хиндерг билгалдаьккхина ма-хиллара хир ду, амма декъаза ву Цунна ямарта верг».</verse>
				<verse number="23">ТӀаккха уьш вовшашка хетта буьйлабелира, Ӏийсана ямарта верг мила ву бохуш.</verse>
				<verse number="24">Цул тӀаьхьа мурдаш къийса буьйлабелира, шайна юкъахь коьртаниг мила ву аьлла.</verse>
				<verse number="25">Ӏийсас элира цаьрга: «Кхечу къаьмнийн паччахьаша шайн адамаш тӀехь олалла до, Ӏедал карахь долу нах кхечарна комаьрша хета,</verse>
				<verse number="26">амма шу иштта хир дац. Мелхо а, шуна юкъахь лакхара верг жиманиг санна хила, ткъа хьаькам верг — ялхо санна хила.</verse>
				<verse number="27">Коьртаниг мила ву: стоьла улло хиина юуш верг я цунна оьшург тӀеяхьаш, гӀуллакх деш верг? Юуш верг вац? Ткъа Со шуна юкъахь ялхо санна ву.</verse>
				<verse number="28">Шу Сан массо а халонех Соьца чекхдевлла,</verse>
				<verse number="29">Ас олалла ло шуна, Сан Дас иза Суна ма-даллара.</verse>
				<verse number="30">Сан Олалла долчохь дууш а, молуш а хир ду шу Сан стоьла тӀехь. Исраилан халкъана юкъарчу шийтта тайпанна кхел а еш, шу паччахьийн гӀанташна тӀе охьаховшор ду Ас».</verse>
				<verse number="31">Везачу Эло элира: «Ва ШамӀа! Иблис шу, кӀа санна, дӀасакхийсина хила лууш ду,</verse>
				<verse number="32">амма хьох Ас доӀа дина, хьан Делах тешар лагӀ ца далийта. Ахь-айхьа, хьо Далла тӀе юхавирзича, хьайн вежарийн Делах тешар чӀагӀделахь».</verse>
				<verse number="33">Кипас жоп делира: «Эла! Со Хьоьца набахте ваха а, вала а кийча ву!» — аьлла.</verse>
				<verse number="34">Амма Ӏийсас элира: «Ас боху хьоьга, Кипа, тахана Ӏуьйранна нӀаьна кхайкхале, кхузза Сох дӀакъаьстар ву хьо, Со хьайна ца вевза аьлла».</verse>
				<verse number="35">Юха Цо хаьттира мурдашка: «Ас шу бохча а, тӀоьрмаг а, мачаш а йоцуш дахийтича, хӀумма а оьшурий шуна?» «Ца оьшура», — элира цара.</verse>
				<verse number="36">«ХӀинца, шайн делахь, бохча а схьаэца, тӀоьрмаг а схьаэца, шайн тур дацахь, коч йохкий а, тур эца.</verse>
				<verse number="37">Яздина ду: „Иза зуламхойх дӀатуьйхира“. Ас боху шуьга: иза Соьца хир ду. Дерриг а Сох яздинарг хӀинца кхочушхуьлуш ду».</verse>
				<verse number="38">Цара элира: «Эла! Хьажахьа, тхоьгахь ши тур ду», — аьлла. «Тоьар ду цунах лаьцна», — жоп делира Ӏийсас.</verse>
				<verse number="39">Гуттар а Ша ма-ваххара, Зайт-диттийн лам тӀе вахара Ӏийса. Мурдаш а бахара Цуьнца.</verse>
				<verse number="40">Шаьш дӀакхаьчча, Ӏийсас элира: «ДоӀа де, шаьш къилахь долчу лаамашна кӀел ца дисийта».</verse>
				<verse number="41">Ша а царна тӀулг кхоссал йолчу метте дехьа а ваьлла, гора а воьжна, доӀа дан хӀоьттира:</verse>
				<verse number="42">«Дада! Хьайн лаам белахь, и къаьхьа кад Суна юххехула чекхбаккхахьа! Делахь а, Сан лаамца доцуш, Хьан лаамца хуьлийла дерриг а».</verse>
				<verse number="43">Стигалара деанчу малико дог чӀагӀдира Цуьнан.</verse>
				<verse number="44">Халачу хьолехь кхин а чӀогӀа доӀа дан хӀоьттира Ӏийса. Цуьнан хьацар, цӀийн тӀадамаш санна, лаьтта оьгура.</verse>
				<verse number="45">ДоӀа дина а ваьлла, мурдашна тӀевахара Иза. ГӀайгӀано дог дохийна, гӀелбелла, бийшина Ӏохкуш карийра Цунна уьш.</verse>
				<verse number="46">«Шу дийшина хӀунда Ӏохку? — хаьттира Ӏийсас — ХьалагӀовтта, доӀанаш де, шаьш къилахь долчу лаамашна кӀел ца дисийта».</verse>
				<verse number="47">Ӏийсан къамел чекх ца даьллера, адамийн тоба гучуяьлча. Хьалха ваьлла вогӀура шийта векалан тобанан юкъахь хилла ЯхӀуд. Иза Ӏийсана тӀевеара — Цунна барт баккха.</verse>
				<verse number="48">Ӏийсас хаьттира: «ЯхӀуд, барт а боккхуш, ямарта волуш ву хьо Адамийн КӀантана?»</verse>
				<verse number="49">Ӏийсаца болчара, гӀуллакх муха ду а гина, хаьттира: «Эла, тарраш схьаэца оха?» — аьлла.</verse>
				<verse number="50">Царах цхьаммо тур тоьхна динан коьртачу ден ялхочун аьтту лерг даьккхира.</verse>
				<verse number="51">Амма Ӏийсас элира: «Собар де, тоьар ду!» Цо, куьг Ӏоьттина, лерг тодира цу стеган.</verse>
				<verse number="52">Юха Ша лаца баьхкинчу динан коьрта дайшка а, Делан цӀийнан гӀаролхойн хьаькамашка а, баккхийчаьрга а элира Цо: «Талорхо лаца доьлхуш санна, таррашций, хьокханашций ара ма девлла шу!</verse>
				<verse number="53">ХӀора дийнахь шайца Со Делан цӀийнан кертахь волуш, Суна тӀе куьг ма ца ойура аш. Амма хӀинца ерг шун хан ю, иблисан бодане ницкъ баьржина хан».</verse>
				<verse number="54">Цара Ӏийса, схьа а лаьцна, динан коьртачу ден цӀа чу вигира. Кипа, царна гено тӀаьхьа а хӀоьттина, вахара.</verse>
				<verse number="55">Гулбелларш, кертахь цӀе а латийна, бохлуш хевшина Ӏаш бара. Кипа а вара царна юкъахь хиъна Ӏаш.</verse>
				<verse number="56">Цхьана йоӀана-ялхочунна гира иза цӀера юххехь Ӏаш. Леррина Кипе а хьаьжна, цо элира: «И стаг а вара Цуьнца».</verse>
				<verse number="57">Амма Кипас элира: «Зуда, суна ца вевза Иза».</verse>
				<verse number="58">Жимма тӀаьхьо цхьаммо, хӀара гина, элира: «Хьо а ву царах цхьаъ». «ХӀан-хӀа, вац», — жоп делира Кипас.</verse>
				<verse number="59">Кхин цхьа сахьт хан яьлча, кхин цхьаммо а, тӀедожош, элира: «ХӀара билггала хилла Ӏийсаца, хӀунда аьлча хӀара а галилайхо ву».</verse>
				<verse number="60">Кипас дуьхьало йира: «Стаг, ахь хӀун дуьйцу ца хаьа суна», — аьлла. Цуьнан къамел чекх а далале, нӀаьна кхайкхира.</verse>
				<verse number="61">Веза Эла, юха а вирзина, нийсса Кипина тӀе хьаьжира. ТӀаккха дагадеара цунна Везачу Элан дешнаш: «Тахана нӀаьна кхайкхале, Со кхузза дӀатосур ву ахь».</verse>
				<verse number="62">Кипа, кертара ара а ваьлла, доггах вилхира.</verse>
				<verse number="63">Ӏийса ларвеш болу нах Цунах боьлуш, Цунна етташ бара.</verse>
				<verse number="64">Цара, Цуьнан бӀаьргаш дӀа а боьхкий, тоха а тухий, хоттура: «Хьо пайхамар велахь, дийцал, хьан тоьхна Хьуна?»</verse>
				<verse number="65">Кхин дуккха а Иза сийсазвеш долу хӀуманаш дуьйцура цара.</verse>
				<verse number="66">Ӏуьйранна хьалххе шайн кхеташоне гулбелира баккхий нах. Царна юкъахь бара динан коьрта дай а, Ӏелам нах а. Уьш болчу валийра Ӏийса.</verse>
				<verse number="67">«Хьо Дала Леррина Къобалвинарг велахь, нийсса тхоьга схьаала», — бохура цара. Ӏийсас элира: «Ас шуьга Со И ву алахь, шу тешар дац.</verse>
				<verse number="68">Нагахь Ас шуьга хаттахь, аш а Суна жоп лур дац.</verse>
				<verse number="69">Амма хӀинца дуьйна дӀа Адамийн КӀант Нуьцкъалчу Далла аьтту агӀор хиъна Ӏийр ву».</verse>
				<verse number="70">Уьш массо а хетта буьйлабелира: «Хьо Делан КӀант ву ткъа?» Цо жоп делира: «Аш шаьш а боху-кх Со ву».</verse>
				<verse number="71">ТӀаккха цара элира: «Кхин хӀун тоьшаллаш оьшу кхузахь? Цуьнан багара схьадаьлла иза хези-кх вайна!»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="23">
				<verse number="1">Цул тӀаьхьа берриг а церан гулам, хьала а гӀаьттина, Ӏийса а эцна, Пулатана тӀе бахара.</verse>
				<verse number="2">Цигахь Иза бехке ван хӀиттира уьш: «Тхуна хӀара стаг нах карзахбохуш вуьйла хиъна. Кхо паччахьна ял ма ло боху, Ша Дала Леррина Къобалвинарг ву боху, ткъа иза паччахь ву бохург ду».</verse>
				<verse number="3">Пулата хаьттира Цуьнга: «Хьо жуьгтийн къоман Паччахь ву?» Ӏийсас жоп делира: «Ахь а боху-кх иза».</verse>
				<verse number="4">ТӀаккха Пулата динан коьртачу дайшка а, халкъе а дӀахаийтира: «И стаг бехке ван цхьа а бахьана дац сан».</verse>
				<verse number="5">Амма цара юх-юха а бохура: «Шен хьехамашца халкъ берриг а ЯхӀуд-махкахь меттахдаьккхина Кхо. Вола Галилайхь волавелла, ткъа хӀинца кхуза а кхаьчна».</verse>
				<verse number="6">И дешнаш а хезна, Пулата хаьттира: «ХӀара стаг галилайхо ву?» — аьлла.</verse>
				<verse number="7">Ткъа шена Ӏийса ХӀародан куьйга кӀел болчу махкара вуй хиъча, цо Иза цу хенахь Ярушалайме веана волчу ХӀародана тӀе хьажийра.</verse>
				<verse number="8">Ӏийса гича, чӀогӀа самукъаделира ХӀародан, хӀунда аьлча дукха хенахь дуьйна Иза ган лууш ша волу дела. Цунна Ӏийсах лаьцна дукха хӀуманаш хезнера, цундела Цуьнгара цхьа тамашийна болх ган лууш вара иза.</verse>
				<verse number="9">Цо Ӏийсага дуккха а хеттарш дира, амма Вукхо цхьа а жоп ца делира.</verse>
				<verse number="10">Динан коьрта дай а, Ӏелам нах а бара цигахь, шайн ма-хуьллу Ӏийса бехке веш.</verse>
				<verse number="11">ХӀарода а, цуьнан тӀемалоша а, бела а бийлина, доггах Ӏийса сийсаз а вина, Цунна тӀе дезачу, лепачу кӀадин оба а кхоьллина, Иза Пулат волчу дӀахьажийра.</verse>
				<verse number="12">ХӀинццалц схьа ши мостагӀа хилла волу Пулат а, ХӀарод а цу дийнахь ши доттагӀа хилира.</verse>
				<verse number="13">Пулата динан дайшка а, хьаькамашка а, халкъе а, схьа а кхайкхина,</verse>
				<verse number="14">элира: «ХӀара стаг, халкъ карзахдоккху аьлла, валийна аш суна тӀе. Шуна хьалха ас Цуьнга барт хаьттина, амма аш Цуьнан бехк беш тӀедожийнарг суна гучу ца дели.</verse>
				<verse number="15">ХӀародана а ца карийна Цуьнан бехк болуш хӀумма а, цундела цо юхаваийтина Иза. Шуна ма-гарра, Цо хӀумма ца дина Иза вен бахьана хиллал.</verse>
				<verse number="16">Ас, вай деш ма-хиллара, шодмаш а еттийтина, дӀахоьцур ву Иза».</verse>
				<verse number="17">***</verse>
				<verse number="18">Амма массо а цхьаьний маьхьарий хьекха буьйлабелира: «Ве Иза! Барраб тхуна схьахеца!» — бохуш.</verse>
				<verse number="19">(ГӀалахь нах карзахбахарна а, стаг верна а чувоьллина вара Барраб.)</verse>
				<verse number="20">Пулата, Ӏийса дӀахеца лууш, кхин цкъа а хаьттира халкъе.</verse>
				<verse number="21">Амма хьоькхуш маьхьарий дара: «ЖӀарах дӀатоха Иза! ЖӀарах дӀатоха Иза!» — бохуш.</verse>
				<verse number="22">Пулата кхозлагӀа а хаьттира: «ХӀунда? Цо хӀун зулам дина те? Иза вен Цуьнгара даьлла цхьа а хӀума ца карийна суна. Ас шодмаш а еттийтина, дӀахоьцур ву Иза!»</verse>
				<verse number="23">Амма цара чӀогӀа маьхьарий хьоькхура, Иза жӀарах дӀатоха бохуш. Церан маьхьарий бахьана долуш, Пулат царна къарвелира.</verse>
				<verse number="24">Цо сацам бира церан лаам кхочушбан.</verse>
				<verse number="25">Цара ма-деххара, стаг вийна а, адам карзахдаьккхина а волу зуламхо дӀа а хецна, церан лаам кхочушбе аьлла, омра дира цо.</verse>
				<verse number="26">Ӏийса дӀавуьгучу хенахь тӀемалоша шен кха тӀера вогӀу Къуринара ШамӀа цӀе йолу цхьа стаг схьалецира. ЖӀаран бӀогӀам цуьнга ги а боллийтина, Ӏийсана тӀаьххье дӀабахьийтира цара.</verse>
				<verse number="27">Ӏийсана тӀаьхьа дукха адам догӀура, царна юкъахь Цунах къахеташ боьлху зударий а бара.</verse>
				<verse number="28">Цо, юха а вирзина, элира цаьрга: «Ярушалайман йоӀарий, Сох ма делха, шайх а, шайн берех а делха.</verse>
				<verse number="29">Цхьа хан йогӀур ю наха олуш: „Ирс долуш бу бер ца хуьлурш а, бер цкъа а даза берш а, цкъа а дакхоза берш а“.</verse>
				<verse number="30">ТӀаккха наха бохур ду лаьмнашка: „Тхуна тӀе эгийша!“ гунашка: „Тхо дӀахьулдейша!“</verse>
				<verse number="31">ТӀе гӀа даьллачу къоначу диттаца и болх беш хилча, декъачу диттах хӀун хир ду?»</verse>
				<verse number="32">Ӏийсаца вен вуьгуш ши талорхо а вара.</verse>
				<verse number="33">«Туьта» олучу метте схьабаьхкира уьш. Цигахь Ӏийса жӀарах дӀатуьйхира, ши талорхо а — цхьаъ Цунна аьтту агӀор, важа аьрру агӀор дӀатуьйхира.</verse>
				<verse number="34">Ӏийсас бохура: «Дада, гечдехьа кху адамашна, шаьш хӀун деш ду ца хаьа-кх кхарна». ТӀемалоша, кхаж а тосуш, Ӏийсан тӀеюху хӀуманаш йийкъира.</verse>
				<verse number="35">Нах, дӀа а хӀиттина, хьоьжуш лаьттара. Хьаькамаш Цунах боьлура: «Кхиберш кӀелхьарбохура Цо! ХӀинца Ша кӀелхьарваккха, нагахь Иза Дала леррина Къобалвинарг велахь!»</verse>
				<verse number="36">ТӀемалой а бара уллохь лаьтташ, бела а боьлуш. Цара Ӏийсага кемсийн къонза кховдийра:</verse>
				<verse number="37">«Хьо кӀелхьарваккха, нагахь Хьо жуьгтийн къоман Паччахь велахь!» — аьлла.</verse>
				<verse number="38">Ӏийсана тӀехула дӀатоьхначу уьнна тӀехь яздина дара: «ХӀара жуьгтийн къоман Паччахь ву», — аьлла.</verse>
				<verse number="39">ЖӀарах дӀатоьхначу цхьана талорхочо Ӏийса сийсазвеш бохура: «Хьо Дала Леррина Къобалвинарг вац? Хьуо а, тхо а кӀелхьардаха!»</verse>
				<verse number="40">ШолгӀачо шен накъост сецавора: «Делах ца кхоьру хьо? Изза таӀзар дац хьуна динарг а?</verse>
				<verse number="41">Вайшинна дина таӀзар нийса, догӀуш дина ду, ткъа кху стеган цхьа а бехк бац».</verse>
				<verse number="42">Цо элира Ӏийсага: «Ӏийса, со дагаваийталахь, Айхьа Хьайн Олалла кхочушдеш».</verse>
				<verse number="43">ТӀаккха Ӏийсас элира цуьнга: «Билггала боху хьоьга: тахана Соьца ялсаманехь хир ву хьо».</verse>
				<verse number="44">Дийнан делкъахан еара. Лаьтта тӀе цӀеххьана бода беара, иза кхаа сахьтехь лаьттира.</verse>
				<verse number="45">Малх лаьцнера. Делан цӀийнан уггар езачу чоьнна дуьхьал оьллина долу кирхьа юккъехула декъаделира.</verse>
				<verse number="46">Ӏийсас чӀогӀа мохь туьйхира: «Дада! Сайн са Хьан кара дӀало Ас!» Иза а аьлла, Ӏийса кхелхира.</verse>
				<verse number="47">Дерриг иза гиначу тӀеман хьаькамо, Далла хастам а бина, элира: «И стаг билггала Делан лаамехь вара!»</verse>
				<verse number="48">Хьовса баьхкина нах, дерриг а хилларг гича, чӀогӀа халахеташ, гӀайгӀанца некха тӀе куьйгаш а детташ, юхабирзира.</verse>
				<verse number="49">Амма Ӏийса вевзарш, Галилайра дуьйна Цунна тӀаьхьа баьхкина зударий а тӀехь, геннара хьоьжуш лаьттара.</verse>
				<verse number="50">Юсуп цӀе йолуш цхьа стаг вара цигахь. Иза кхеташона юкъахь а волуш, Делан лаамехь, дика стаг вара.</verse>
				<verse number="51">Цо Ӏийсана йина кхел къобал ца йинера. ЯхӀуд-махкахь йолчу Рамат цӀе йолчу гӀалара вара иза. Делан Олалла тӀекхачаре сатуьйсура цо.</verse>
				<verse number="52">Пулат волчу а веана, Ӏийсан дакъа схьадийхира Юсупа.</verse>
				<verse number="53">Цо дакъа, жӀара тӀера схьа а даьккхина, кӀади юкъа а хьарчийна, ломах яьккхинчу къубба чу диллира. Цу къубба чу цхьа а дакъа диллаза дара.</verse>
				<verse number="54">Иза пӀераскан де дара — Далла лерина шоьтан денна кечам бо хан тӀейогӀуш яра.</verse>
				<verse number="55">Галилайра дуьйна Ӏийсаца баьхкина зударий а бахара Юсупна тӀаьхьа. Ӏийсан дакъа къубба чу дуьллуш гира царна.</verse>
				<verse number="56">Цара, цӀа а баьхкина, хаза хьожа йогӀу даьтта а, хьакхарш а кечдира. Шайна тӀедиллина ма-хиллара, Далла леринчу шоьтан дийнахь садаьӀира цара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="24">
				<verse number="1">Ӏуьйранна хьалххе, сатосучу хенахь, кӀиранан хьалхарчу дийнахь, шаьш кечдина хьакхарш а эцна, зударий къубба йолчу бахара.</verse>
				<verse number="2">Къуббанна тӀетовжийна тӀулг дӀакарчийна карийра царна.</verse>
				<verse number="3">Чоьхьа бевлча, царна Ӏийса-Элан дегӀ ца карийра.</verse>
				<verse number="4">Юха, уьш цецбевлла лаьттачу хенахь, царна хьалха хӀоьттира къегаш духар дуьйхина ши стаг.</verse>
				<verse number="5">Кхерабелла, бертал ийгира зударий. Шина стага элира цаьрга: «Дийнаниг беллачарна юкъахь хӀунда лоьху аш?</verse>
				<verse number="6">Иза кхузахь вац, Иза денвелла! Дагадаийта Ша Галилайхь волуш Цо шуьга аьлларг:</verse>
				<verse number="7">„Адамийн КӀант къинош летийначу нехан кара дӀалур ву, жӀарах дӀа а тухур ву, амма кхозлагӀчу дийнахь денлур ву“».</verse>
				<verse number="8">ТӀаккха царна дагадеара Ӏийсан и дешнаш.</verse>
				<verse number="9">Къубба йолчуьра юха а баьхкина, и дерриг цхьайтта векална а, кхечу мурдашна а дийцира цара.</verse>
				<verse number="10">Шайна гинарг векалшна дуьйцучаьрца бара Магдалера Марем а, Яхьани а, Якъубан нана Марем а, кхиболу зударий а.</verse>
				<verse number="11">Амма зударша дийцинчух цхьа а ца тийшира. Церан дешнаш даьсса хийтира.</verse>
				<verse number="12">Ткъа Кипа, хьалагӀаьттина, ведда къубба йолчу вахара. Чухьаьжначу цунна ша-ша яьхна Ӏохкуш кӀадинан кескаш карийра. Иза юхавеара, хиллачух чӀогӀа цец а вуьйлуш.</verse>
				<verse number="13">Цу дийнахь цигахь хиллачех ши стаг вара Ярушалаймера цхьайтта чаккхарма генахь йолчу Ӏаммас-эвла воьдуш.</verse>
				<verse number="14">Цу шиммо оцу хиллачу хӀуманех лаьцна дуьйцура.</verse>
				<verse number="15">Юха и шиъ къамел деш схьавогӀуш, тӀевеана Ӏийса цаьрца дӀаволавелира.</verse>
				<verse number="16">Дала цу шина стагана Ӏийса ца вовзийтира.</verse>
				<verse number="17">Ӏийсас хаьттира цаьрга: «ХӀун дуьйцуш ву шуьшиъ новкъахула вогӀуш?» Важа шиъ сецира, гӀайгӀане яххьаш а йина.</verse>
				<verse number="18">Царах цхьамма, цуьнан цӀе Кхалайп яра, элира: «Хьо, схьагарехь, Ярушалаймехь цхьаъ ву-кх хӀокху деношкахь хӀун ду ца хууш виснарг?»</verse>
				<verse number="19">«Ткъа хӀун хилла?» — хаьттира Ӏийсас. «Назартарчу Ӏийсаца доьзна хилларг, — жоп делира цара. — Иза пайхамар вара. Далла а, массо адамна а хьалха нуьцкъала Устаз а, инзаре хӀуманаш Дийриг вара И.</verse>
				<verse number="20">Динан коьртачу дайша а, тхан хьаькамаша а вен кхел а яйтина, жӀарах дӀатохийтира Иза.</verse>
				<verse number="21">Тхо чӀогӀа тешна дара Цо Исраил-мохк ПаргӀатбоккхург хиларх. Цу тӀе, хӀинца кхозлагӀа де а ду и дерриг а хилла.</verse>
				<verse number="22">Амма тхуна юкъара цхьаболчу зударша цецдаьхна тхо. ХӀокху Ӏуьйранна хьалххе, сатосучу хенахь, къубба йолчу бахача,</verse>
				<verse number="23">Ӏийсан дегӀ ца карийра царна. Схьабаьхкинчу цара дийцира тхуна, шайна хьалха цхьана суьртехь хӀиттинчу маликаша Иза дийна ву боху аьлла.</verse>
				<verse number="24">Цул тӀаьхьа тхан накъостий бахара уьш хиллачу къубба тӀе, зударша ма-дийццара карийра дерриг а, амма Ӏийса царна цигахь ца гира».</verse>
				<verse number="25">ТӀаккха Ӏийсас элира шина некъахочуьнга: «Ма сонта ду шу! Ма сиха дац шун дегнаш дерриге а пайхамарша дийцинчух теша!</verse>
				<verse number="26">Дала Леррина Къобалвинарг Ша болу баланаш лан дезаш вац, Шен сийлалле кхачархьама?»</verse>
				<verse number="27">Муса-пайхамарна тӀера дӀаволавелла, массо а пайхамарша Шех лаьцна Делан Йозанаш тӀехь аьлларг царна дийцира Ӏийсас.</verse>
				<verse number="28">Уьш цхьана юьрта йисте кхаьчча, Ӏийсас Ша кхин а дӀаваха воллу сурт хӀоттийра.</verse>
				<verse number="29">Амма цара дехарш дира Цуьнга: «Тхоьца сацахьа, де суьйренгахьа а лестинера», — аьлла. Ӏийса цаьрца сацархьама цӀа чу вахара.</verse>
				<verse number="30">ХӀума яа буьйлалуш Иза бепиг, схьа а эцна, доӀанца цунах баркалла а аьлла, декъа а декъна, цаьрга дӀакховдо вуьйлира.</verse>
				<verse number="31">Дала цу шина стагана Ӏийса вовзийтира. Амма Ӏийса царна ца гуш хилира.</verse>
				<verse number="32">Уьш вовшашка хетта буьйлабелира: «Вай новкъа догӀуш, къамел деш а, Цо Делан Йозанан маьӀна дуьйцуш а дегнаш айаделла догуш дацара вайн?» — бохуш.</verse>
				<verse number="33">Сихха хьалагӀаьттина, и шиъ Ярушалайме вахара. Цигахь царна гулвелла цхьайтта векал а, цаьрца берш а карийра.</verse>
				<verse number="34">Векалша дийцира: «Веза Эла билггала денвелла! Иза ШамӀина хьалха хӀоьттинера!»</verse>
				<verse number="35">Юха кху шиммо дийцира шайца новкъахь хиллачух а, Цо бепиг кагдечу хенахь, шайна Ӏийса вовзарх а лаьцна.</verse>
				<verse number="36">Церан къамел чекх а ца даьллера, Ӏийса, Ша царна юкъа а веана: «Машар хуьлда шуьца», — аьлла, вистхилча.</verse>
				<verse number="37">Уьш, кхерабелла, дӀасевцира, шайна гуш дерг гӀаларт ду моьттуш.</verse>
				<verse number="38">Ткъа Цо бохура: «Шу кхера хӀунда делла? Шеко хӀунда йогӀу шу дегнаш чу?</verse>
				<verse number="39">Хьовсал Сан куьйгашка а, Сан когашка а. ХӀара Со ву! Куьг Ӏоттал Сох, схьахьовсал. ГӀалартан дегӀ а, даьӀахкаш а ца хуьлу, ткъа Сан, шуна ма-гарра, дегӀ ду».</verse>
				<verse number="40">Иза а аьлла, Цо Шен куьйгаш а, когаш а гайтира.</verse>
				<verse number="41">Амма уьш цецбевлла а, хазахетта а ца тешара гучух. ТӀаккха Ӏийсас хаьттира: «Яа хӀумма а юй шун?»</verse>
				<verse number="42">Цара беттина чӀара белира Цунна.</verse>
				<verse number="43">Цо, схьа а эцна, биира иза царна хьалха.</verse>
				<verse number="44">«ХӀара дара Ас шуна дийцинарг Со шуьца волчу хенахь, дерриг а Сох лаьцна Мусан товратана тӀехь а, кхечу пайхамарийн тептарш тӀехь а, Забурана тӀехь а яздинарг кхочуш ца хилча ца долу», — элира Цо.</verse>
				<verse number="45">Цул тӀаьхьа церан хьекъал кӀаргдира Цо, Делан Йозанах уьш дика кхетийтархьама.</verse>
				<verse number="46">Цо элира цаьрга: «Яздина ду, Дала Леррина Къобалвинарг бала лан а, веллачуьра кхозлагӀчу дийнахь денвала дезаш а ву аьлла.</verse>
				<verse number="47">Цуьнан дуьхьа массо а халкъашка, Ярушалайм тӀера дӀадуьйладелла, кхайкха деза, къиношна гечдайтархьама дохко а довлий, Далла тӀедерза аьлла.</verse>
				<verse number="48">Шу оцу хӀуманийн тешаш хилла дӀахӀуьттур ду.</verse>
				<verse number="49">Сан Дас лур ду аьлларг Ас дӀакхочуьйтур ду шуна, амма, лакхара шайна чу ницкъ боссалц, шу гӀалахь совца деза».</verse>
				<verse number="50">Цаьрца Ярушалаймера ара а ваьлла, Бет-ХӀине кхаччалц дӀавахара Иза. Куьйгаш хьала а айина, уьш декъалбира Цо.</verse>
				<verse number="51">Юха, уьш декъал а беш, царна гена а волуш, стигала хьалаваьккхира Иза.</verse>
				<verse number="52">Мурдаш, Цунна сужде а бахана, корта а тоьхна, доккхачу хазахетарца Ярушалайме юхабаьхкира.</verse>
				<verse number="53">Цу дийнахь дуьйна, Далла хастамаш беш, гуттар а Делан цӀийнан кертахь бара уьш.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="43">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">Юьхьанца Дош дара. И Дош Делехь дара. И Дош Дела дара.</verse>
				<verse number="2">И Дош юьхьанца Делехь дара.</verse>
				<verse number="3">Дерриг а Дала цу Дашехула кхолла а кхоьллина, И доцуш, кхоьллинчух хӀумма а ца кхоьллина.</verse>
				<verse number="4">Бакъдолу дахар Цунна чохь а дара, и дахар адамашна серло а яра.</verse>
				<verse number="5">И серло боданехь къега. Бодано и серло эша а ца йина.</verse>
				<verse number="6">Дала цхьа стаг ваийтира, цуьнан цӀе Яхьъя яра.</verse>
				<verse number="7">Иза цу Серлонах тоьшалла дан веанера, цуьнгахула цу Серлонах массо а адам тешийтархьама.</verse>
				<verse number="8">Яхьъя ша Серло яцара, ткъа иза Серлонна тоьшалла дан ваийтина вара.</verse>
				<verse number="9">И бакъйолу Серло дуьнен чу йогӀуш яра, Цо муьлхха а адам серла а доккху.</verse>
				<verse number="10">Дуьненна юкъахь а дара и Дош, Цуьнгахула дуьне а кхолладеллера, амма дуьнен чуьра адамашна И ца девзира.</verse>
				<verse number="11">Шен махка веара Иза, ткъа шечара а И тӀе ца ийцира.</verse>
				<verse number="12">Ткъа, Ша тӀе а эцна, Шех тешаш болчарна Делан бераш хила бакъо елира Цо.</verse>
				<verse number="13">Уьш я цӀийх а, я дегӀан лаамца а, я стеган лаамца а хилла боцуш, Делах хилла бу.</verse>
				<verse number="14">Дашах адам а хилира, Иза адамашна юкъахь Ӏаш а дара. ТӀаккха тхуна гира Дас Шен цхьаъ бен воцучу КӀантана делла олаллин нур. Иза диканах а, бакъдолчух а вуьзна а вара.</verse>
				<verse number="15">Яхьъяс, Цунах лаьцна тоьшалла а деш, кхайкхадо: «ХӀара ву ас шуна вийцинарг: „Сол тӀаьхьа ВогӀург, сол лакхара а хилла, дӀахӀоьттина, хӀунда аьлча Иза сол хьалха а волуш вара“».</verse>
				<verse number="16">Иза бакъдолчух а, диканах а вуьззина волу дела, вай саццаза схьаоьцура Цуьнан дикалла.</verse>
				<verse number="17">ХӀунда аьлча товрат-хьехамаш Муса-пайхамарехула белла бара, ткъа Делера долу бакъдерг а, дика а Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула деана ду.</verse>
				<verse number="18">Дела цхьанна а, цкъа а гина вац. Ткъа Шен Деца волчу, цхьаъ бен воцучу КӀанта беана Делах болу кхаъ, Иза вайна вовза а вовзуьйтуш.</verse>
				<verse number="19">Ярушалаймера динан куьйгалхоша бахкийтинчу динан дайша а, Леви цӀе йолчу тайпанан, Делан цӀа чохь болх беш болчу наха а Яхьъяга хаттар дира: «Хьо мила ву?» — аьлла.</verse>
				<verse number="20">Яхьъяс иштта тоьшалла дира, шен дашна тӀера юха а ца волуш, ма-дарра дӀа а олуш: «Со Дала леррина Къобалвинарг вац».</verse>
				<verse number="21">Цуьнга юха а хаьттира: «Ткъа хьо мила ву? Эли-ЯхӀу-пайхамар вуй хьо?» «И вац со». «Делахь билггала ван веза пайхамар ву хьо?» «Вац», — аьлла, жоп делира Яхьъяс.</verse>
				<verse number="22">ТӀаккха цара элира Яхьъяга: «Ткъа хьо мила ву, дийцахьа тхуна, тхаьш хьуна тӀе хьовсийначаьрга жоп далархьама. Хьайх лаьцна хӀун олу ахь?»</verse>
				<verse number="23">Яхьъяс жоп делира ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаран дешнашца: «Яьссачу аренгахь кхойкхучун аз ду со: „Везачу Элана хьалхара некъ нисбе“».</verse>
				<verse number="24">Ткъа Яхьъяна тӀебахкийтинарш парушхойх бара.</verse>
				<verse number="25">ТӀаккха цара хаьттира Яхьъяга: «Хьо я Дала леррина Къобалвинарг а ца хилча, я Эли-ЯхӀу а, я билггала ван веза пайхамар а воццушехь, нах хих чекх хӀунда боху ахь?»</verse>
				<verse number="26">Яхьъяс жоп делира цаьрга: «Ас шу хих чекхдоху. Амма шуна юкъахь лаьтташ Хьенех ву, шуна вевзаш воцу.</verse>
				<verse number="27">Иза сол тӀаьхьа вогӀуш велахь а, со Цуьнан мачийн бахтарш дӀадаста а хьакъ долуш вац».</verse>
				<verse number="28">И дара Йордан-хин дехьа агӀор йолчу Бет-ХӀина олучу меттигехь, Яхьъяс нах хих чекхбохучохь.</verse>
				<verse number="29">ШолгӀачу дийнахь, шена тӀевогӀу Ӏийса а гина, Яхьъяс элира: «Хьажал, ХӀара Дала, кху дуьненара адамийн къинош тӀе а лаьцна, уьш дӀадахьа баийтина Ӏахар бу.</verse>
				<verse number="30">ХӀара ву ас Шех лаьцна аьлларг: „Сол тӀаьхьа вогӀуш волу Стаг сол а лакхара ву, хӀунда аьлча Иза сол хьалха волуш вара“.</verse>
				<verse number="31">Суна а билггала ца вевзара Иза. Амма Иза исраилхошна вовзийтархьама, веанера со, нах хих чекхбохуш».</verse>
				<verse number="32">Яхьъяс, тоьшалла а деш, элира: «Суна Делан Са гира кхокханан суьртехь стигалара доьссина, и Са Цунна тӀехь дисира.</verse>
				<verse number="33">Цкъа хӀинццалц суна а билггала ца вевзара Иза, амма со нах хих чекхбаха ваийтинчу Дала элира соьга: „Делан Са а доьссина, Иза Шена тӀехь дуьсуш гун верг хир ву хьуна цу Делан Синах адамаш дузон верг“.</verse>
				<verse number="34">И суна ган а гира, ас тоьшалла а до Иза Делан КӀант хиларх».</verse>
				<verse number="35">И хиллачу шолгӀачу дийнахь Яхьъя юха а лаьтташ вара шен мурдех волчу шинца.</verse>
				<verse number="36">ТӀехволучу Ӏийсага а хьаьжна, Яхьъяс элира: «ХӀара бу Дала баийтина Ӏахар».</verse>
				<verse number="37">Цуьнан и дешнаш а хезна, Яхьъян ши мурд Ӏийсана тӀаьхьахӀоьттира.</verse>
				<verse number="38">Юха а хьаьжна, и ши мурд Шена тӀаьхьавогӀу а гина, Ӏийсас хаьттира цаьрга: «Шуна хӀун оьшу?» Цара элира: «Рабби!», (Иза «Устаз!» бохург ду), «Хьо мичахь Ӏаш ву?»</verse>
				<verse number="39">Ӏийсас оцу мурдашка элира: «Соьца дӀа а дуьйлий, хьовса». Мурдаш Цуьнца бахара. Царна гира И мичахь вехаш ву. И де Ӏийсаца даьккхира цара. ДоьалгӀа сахьт доладеллера цу хенахь.</verse>
				<verse number="40">Яхьъян дешнаш а хезна, Ӏийсана тӀаьхьахӀоьттинчу шиннах цхьаъ Ӏандар вара. Иза вара ШамӀа-Кипин ваша.</verse>
				<verse number="41">Ӏандара, цу сохьта шен ваша ШамӀа схьа а лехна, элира цуьнга: «Тхуна Машахь карийна». (Иза «Дала леррина Къобалвинарг» бохург ду.)</verse>
				<verse number="42">Ӏандара шен ваша ШамӀа Ӏийсана тӀевалийра. Ӏийсас, ШамӀе а хьаьжна, элира: «Хьо Юнусан кӀант ШамӀа ву-кх. Хьох хӀинца „Кипа“ эр ду». (Иза «тарх» бохург ду.)</verse>
				<verse number="43">ШолгӀачу дийнахь Ӏийсана Галилай-махка ваха лиира. Ӏийсас, Пилап схьа а лехна, цуьнга элира: «Суна тӀаьхьахӀотта».</verse>
				<verse number="44">Пилап а вара Ӏандар а, Кипа а схьаваьлла волчу Бет-Саида-гӀалара.</verse>
				<verse number="45">НатунаӀил схьа а лехна, Пилапа элира цуьнга: «Мусас товрат тӀехь бинчу хьехамашкахь а, пайхамарша яздинчу тептарш тӀехь а вийцина Хилларг карийна тхуна. Иза ву Юсупан кӀант Ӏийса, Ша Назарт-гӀалара схьаваьлла волу».</verse>
				<verse number="46">Ткъа НатунаӀила элира: «Назартера цхьа а дика хӀума дала а даьллий те?» Пилапа жоп делира: «ГӀой, хьо-хьуо хьажа», — аьлла.</verse>
				<verse number="47">Шена тӀевогӀу НатунаӀил а гина, Ӏийсас элира: «ХӀара ву-кх шеца мекарло а йоцу бакъволу исраилхо».</verse>
				<verse number="48">НатунаӀила хаьттира Ӏийсага: «Со мичахула вевза Хьуна?» Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Хьо инжиран дитта кӀел Ӏаш волуш, Пилап хьоьга кхайкхале дуьйна а, Суна хьо гуш а вара, вевзаш а вара».</verse>
				<verse number="49">НатунаӀила элира Ӏийсага: «Рабби! Хьо Делан КӀант ву-кх. Хьо ву-кх Исраилан халкъан Паччахь».</verse>
				<verse number="50">Ӏийсас элира цуьнга: «Ас хьо инжиран дитта кӀел гина аларна тийши хьо Сох? Кхин а, цул тӀех гӀуллакхаш а гур ду хьуна».</verse>
				<verse number="51">Кхин а элира Ӏийсас: «Баккъалла а боху Ас шуьга: ДӀаеллаелла стигалш а, Адамийн КӀант волчу Суна тӀе охьадуьссуш а, хьаладуьйлуш а Делан маликаш а гур ду шуна».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">ТӀаккха кхоалгӀачу дийнахь Галилай-махкара Кхана-юьртахь зуда ялош хӀоттийна той дара. Ӏийсан нана а яра цигахь.</verse>
				<verse number="2">Цига кхайкхина бара Ӏийса а, Цуьнан мурдаш а.</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха, той дӀа а дохале, чагӀар чекхдолу а гина, Ӏийсан нанас элира Цуьнга: «ЧагӀар чекхдели-кх кхеран».</verse>
				<verse number="4">Ткъа Ӏийсас элира: «Нана, Суна тӀе хӀунда дуьллу ахьа и гӀуллакх? Сан хан хӀинца а тӀееана яц».</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха ялхошка нанас элира: «Цо шайга де аьлларг дерриг а де».</verse>
				<verse number="6">Цигахь лаьтташ тӀулгах йина ялх кхаба яра. Цу кхабанаш чу иттех-пхийттех саьхьан барам хиллал хи тарлора. Жуьгташа куьйгийн цӀанонна а, юург лелочу пхьегӀашна а лелош дара и хи.</verse>
				<verse number="7">Ӏийсас ялхошка элира: «И кхабанаш хих юза». Цара уьш тӀеххалц хих юьзира.</verse>
				<verse number="8">ТӀаккха кхин а элира Ӏийсас цаьрга: «Кхаби чуьра чагӀар а доттий, иза той дӀакхоьхьуш волчуьнга кховдаде». Ялхоша чагӀар тӀедаьхьира.</verse>
				<verse number="9">Той дӀахьочо чагӀарх чам баьккхира. Ткъа и чагӀар хих даьккхина дуй ялхошна бен ца хаьара. ТӀаккха той дӀахьочо зудаялийнарг шена тӀекхайкхира.</verse>
				<verse number="10">Зудаялийначуьнга цо элира: «Массара а хьалха дика чагӀар ло мала, ткъа нах бехначул тӀаьхьа вониг ло. Ахь дика чагӀар хӀинццалц ма-латтийна?»</verse>
				<verse number="11">Иштта Галилай-махкара Кхана олучу юьртахь дӀадолийра Ӏийсас тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш гайтар. Шен Делера болу олаллин ницкъ гайтира Цо, тӀаккха тийшира Ӏийсах Цуьнан мурдаш.</verse>
				<verse number="12">Цул тӀаьхьа Ӏийса Къапарнаме веара. Цуьнан нана а, Цуьнан вежарий а, Цуьнан мурдаш а баьхкира Цуьнца цига. Масех де даьккхира цара цигахь.</verse>
				<verse number="13">«Пасахь» олу жуьгтийн деза де тӀедогӀуш дара. ТӀаккха Ӏийса Ярушалайме веара.</verse>
				<verse number="14">Делан цӀийнан керта веача, цигахь Ӏийсана гира стерчий а, уьстагӀий а, кхокхарчий а духкуш берш. Ахчанаш хуьйцуш берш а бара цу кертахь хиъна Ӏаш.</verse>
				<verse number="15">ТӀаккха тӀийрагех муш а бина, уьш массо а аралаьхкира Ӏийсас шайн уьстагӀашца а, стерчашца а. ГӀопастанаш дӀа а карчийна, ахча хуьйцучеран ахчанаш а охьаэгийра Цо.</verse>
				<verse number="16">Кхокхарчий духкучаьрга а элира Ӏийсас: «ДӀадаха хӀорш кхузара! Ма диэ Сан Ден цӀийнах йохкаэцаран цӀа!»</verse>
				<verse number="17">ТӀаккха Ӏийсан мурдашна Делан Йозанаш тӀехь яздинарг дагадеара: «Хьан цӀийне болчу хьагамо Сан кийра багабо».</verse>
				<verse number="18">Цунна дуьхьал динан куьйгалхоша элира Ӏийсага: «Иштта хӀума дан хьайн олалла дуй хоуьйтуш хӀун тамашийна билгалонаш гойтур яра Ахь тхуна?»</verse>
				<verse number="19">Ӏийсас жоп делира царна: «Аш хӀара Делан цӀа дохаде, ткъа Ас кхаа дийнахь дина дӀахӀоттор ду иза», — аьлла.</verse>
				<verse number="20">ТӀаккха динан куьйгалхоша элира Цуьнга: «ХӀара Делан цӀа шовзткъе ялх шарахь дина дӀахӀоттийна, ткъа Ахь кхаа дийнахь дӀахӀоттор ду иза?»</verse>
				<verse number="21">Амма Ӏийсас Делан цӀийнах лаьцна бохург Шен дегӀах лаьцна бохург дара.</verse>
				<verse number="22">Ӏийса веллачуьра денвича, Цуьнан мурдашна Цо аьлла и дешнаш дагадеара. ТӀаккха тийшира уьш Делан Йозанех а, Ӏийсан дашах а.</verse>
				<verse number="23">Пасахьан дезачу дийнахь, Ӏийса Ярушалаймехь волуш, Цо деш долчу тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш а гина, дукхахберш тийшира Цунах.</verse>
				<verse number="24">Амма Ӏийсас Ша цхьанна а кӀорггера ца вовзуьйтура, хӀунда аьлча Цунна уьш берриш бевзаш а бара, церан дегнаш гуш а дара.</verse>
				<verse number="25">Цундела Ӏийсага цхьана а адамах лаьцна тоьшаллаш дан оьшуш дацара. Цунна Шена хаьара адамна чохь дерг.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">Нукха-Деми цӀе йолу парушхойх цхьа стаг вара. Жуьгтийн коьртачу кхеташонан декъашхо вара иза.</verse>
				<verse number="2">Нукха-Демис, буьйсанна Ӏийса волчу а веана, элира Цуьнга: «Рабби! Хьо Дала ваийтина устаз вуй хаьа тхуна. ХӀунда аьлча шеца Дела ца хилча, цхьаьнгге а гайталур яц и Ахь гойтуш йолу тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш».</verse>
				<verse number="3">Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Баккъалла а боху Ас хьоьга, адам юха шолгӀа ца кхолладелча, хаалур дац цунна Делан Олалла».</verse>
				<verse number="4">Нукха-Демис элира Ӏийсага: «Цкъа къанделла адам шолгӀа муха кхоллалур ду? Юха шен ненан кийра а ваьлла, кхоллавала-м ца веза иза?»</verse>
				<verse number="5">Ӏийсас жоп делира: «Баккъалла а боху Ас хьоьга, нагахь санна адам хих а, Делан Синах а кхолла ца делча, тӀелоцийла дац цуьнан Делан Олалла.</verse>
				<verse number="6">Адамийн бераш адамех хуьлу, ткъа Делан бераш Делан Синах бен ца хуьлу.</verse>
				<verse number="7">Хьо цец ма вала Ас хьайга аьллачух: „Шун шолгӀа кхолладала деза“, — аьлла.</verse>
				<verse number="8">Делан Са мох санна ду. Иза шена луъучухула лела. Механ гӀовгӀа хеза, ткъа иза мичара богӀу а, мича боьду а ца хаьа. Иштта хуьлу хӀора а Делан Синах кхоллавелларг а».</verse>
				<verse number="9">«Ткъа иза муха хилало?» — хаьттира Нукха-Демис Ӏийсага.</verse>
				<verse number="10">Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Хьуо исраилхойн Ӏелам стаг воллушехь, иза а ца хаьа-кх хьуна?</verse>
				<verse number="11">Баккъалла а боху хьоьга, оха тхайна хуург а дуьйцу, тхайна гиначух тоьшалла а до, ткъа аша тхан и тоьшаллаш тӀе ца лоцу.</verse>
				<verse number="12">Ас шайга лаьттахь долчух аьлча а, шу ца тешча, стигалшкахь долчух лаьцна дийцича, муха тешар ду шу?</verse>
				<verse number="13">Адамех цхьа а стигалшка хьала а ца ваьлла, Адамийн КӀант бен стигалшкара охьа а ца воьссина.</verse>
				<verse number="14">Яьссачу аренгахь волуш Муса-пайхамаро хьаладаьккхинчу лаьхьанан суьрте терра Адамийн КӀант а ву хьалаваьккхина хила везаш,</verse>
				<verse number="15">Цунах тешнарш Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхачийтархьама».</verse>
				<verse number="16">ХӀунда аьлча Шен цхьаъ бен воцу КӀант дӀаваллал дезна Далла хӀара дуьне, муьлхха а Цунах тешнарг, хӀаллак а ца хуьлуш, Ша волчохь долчу хедар доцучу дахаре кхачийтархьама.</verse>
				<verse number="17">Дуьненна кхел ян ца ваийтинера Дала Шен КӀант, ткъа Цуьнгахула дуьне кӀелхьардалийтархьама ваийтинера.</verse>
				<verse number="18">Цунах тешначунна кхел яц. Ткъа Цунах ца тешначунна кхел йина ю, иза Делан цхьаъ бен воцучу КӀантах цатешарна.</verse>
				<verse number="19">Кху дуьнен чу Делах йолу серло яьржина, амма адамашна серлонал бода беза, шаьш до гӀуллакхаш Далла хьалха вон долу дела.</verse>
				<verse number="20">ХӀунда аьлча хӀора вон дечунна серло ца еза, иза серлонга а ца воьду, шен вон гӀуллакхаш гучу ца далийтархьама.</verse>
				<verse number="21">Ткъа Делах долчу бакъдолчуьнца вехаш верг серлонга волу, ша деш долу гӀуллакхаш Делан гӀоьнца деш хилар гайтархьама.</verse>
				<verse number="22">Цул тӀаьхьа Ӏийса а, Цуьнан мурдаш а ЯхӀуд-махка баьхкира. Уьш цигахь, адамаш хих чекхдохуш, севцира.</verse>
				<verse number="23">Цу хенахь Яхьъя а вара нах хих чекхбохуш. Шалейм олучу меттигна гена йоцучу Ӏейнан-юьртахь дара иза. Цигахь алссам хи дара, цундела наха шаьш Яхьъяга хих чекхбохуьйтура,</verse>
				<verse number="24">хӀунда аьлча цу хенахь Яхьъя хӀинца а набахти чу воллаза вара.</verse>
				<verse number="25">Яхьъян мурдашна а, жуьгтийн динан куьйгалхочунна а юкъахь къовсам хилира. И къовсам баьллера хица цӀано яран хьокъехь дино тӀедиллина долчух.</verse>
				<verse number="26">ТӀаккха, Яхьъяна тӀе а баьхкина, цара элира: «Устаз, хьо Йорданан вукху агӀор волуш, хьоьца хилла волу, ахь Шех тоьшалла динарг а ву-кх нах хих чекхбохуш. Ткъа массо адам Цунна тӀеоьхуш ду».</verse>
				<verse number="27">Яхьъяс жоп делира: «Адамо хӀумма а шена тӀелаца йиш яц, нагахь санна иза цунна стигалшкара Дала делла дацахь.</verse>
				<verse number="28">Шу шаьш а теш дар-кх ас шуьга аьллачунна: „Со Дала леррина Къобалвинарг вац. Со Цунна хьалхара некъ кечбан ваийтина Дала“.</verse>
				<verse number="29">Нускал а далийначун долахь хуьлу, ткъа зудаялийначун доттагӀа а хуьлу зудаялийначунна уллохь Ӏаш, цунна хьалхара гӀуллакх а деш. Хазахетарх вуьзна хуьлу иза, зуда ялийна волу шен доттагӀа чувогӀуш, цуьнан аз хезча. И сан хазахетар хӀинца кхочушхилла.</verse>
				<verse number="30">Иза вазвала веза, ткъа со лахвала веза».</verse>
				<verse number="31">Лакхара ОхьавогӀург массарал а лакхара ву. Кху Лаьттара ваьлларг Лаьттара ву, цо Лаьттахь долчух лаьцна дуьйцу. Ткъа стигалара Веанарг массарал а лакхара ву.</verse>
				<verse number="32">Шена гиначух а, хезначух а тоьшалла до Цо, ткъа Цуьнан тоьшаллаш цхьаммо а тӀе ца лоцу.</verse>
				<verse number="33">Цуьнан тоьшаллаш тӀелаьцначо шен мухӀар тохарца чӀагӀдо Дела бакъхилар.</verse>
				<verse number="34">ХӀунда аьлча Ша Дала Ваийтинчо Делан дешнашца дуьйцу, Дала иза барам боццуш Шен Сих вуьзна дела.</verse>
				<verse number="35">Дена Шен КӀант веза. Цо массо а хӀума Шен КӀентан кара дӀаделла.</verse>
				<verse number="36">КӀантах тешачунна Дела волчохь хедар доцу дахар хир ду. Ткъа КӀантана муьтӀахь ца хуьлучунна цкъа а гур дац и дахар, амма Делан оьгӀазло а йолуш ю цунна тӀехь.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">Шена тӀаьхьахӀуьтту мурдаш а, шаьш хих чекхбохуьйту нах а Яхьъяна тӀаьхьахӀиттинчарал совбовлар парушхошна хааделлий хиъча, Ӏийсас ЯхӀуд-мохк битира.</verse>
				<verse number="2">Ткъа нах хих чекхбахар Ӏийсас Ша ца дора, иза Цуьнан мурдаша дора.</verse>
				<verse number="3">Ӏийса, ЯхӀуд-мохк битина, юха а Галилай-махка вахара.</verse>
				<verse number="4">ТӀаккха Шамран-махкахула чекхвала дезара Цуьнан.</verse>
				<verse number="5">Иштта Ӏийса Шамран-махкара Суьхьар олучу юьрта кхочу. Якъуба шен кӀантана Юсупна деллачу лаьттана юххехьа яра и юрт.</verse>
				<verse number="6">Цигахь Якъуба яьккхина гӀу яра. Иштта, некъ а бина, кӀад а велла, оцу гӀуна уллохь хиъна Ӏаш вара Ӏийса. Иза де юккъе дахана хан яра.</verse>
				<verse number="7">Цу гӀуна чуьра хи схьаэца цхьа шамранхойн зуда еара. Ӏийсас элира цуьнга: «Мала хи лохьа Суна».</verse>
				<verse number="8">Цу хенахь Ӏийсан мурдаш яа хӀума эца юьрта баханера.</verse>
				<verse number="9">Шамранхочо Ӏийсага элира: «Хьо жуьгти воллушехь, соьга, шамранхочуьнга, хи хӀунда доьху Ахь?» (Цу хенахь жуьгтийн шамранхошца уьйр яцара.)</verse>
				<verse number="10">Ӏийсас иштта жоп делира цуьнга: «Дала дина дика а хьайна довзахьара, хьайга хи доьхург мила ву а хаьахьара, ахь-айхьа доьхур дара Цуьнга хи. Ткъа Цо хьуна „дийна долу хи“ лур дара».</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха цу зудчо элира: «Эла, Хьан и хи схьаэца пхьегӀа а ма яц, ткъа хӀара гӀу кӀорга а ма ю. Мичара ду Хьоьгахь „дийна хи“?</verse>
				<verse number="12">Хьо хӀун, вайн дел Якъубал а лакхара ву, цо ша а, цуьнан кӀенташа а, цуьнан хьайбанаша а хи мийлина хилла йолу хӀара гӀу тхуна елла волчу?»</verse>
				<verse number="13">Ӏийсас элира цуьнга: «ХӀара хи мелларг юха а хьаглур ву,</verse>
				<verse number="14">ткъа Аса шена лун долу хи мелча, иза цкъа а хьаглур вац. Амма Ас лур долу хи стагана чохь, Дела волчохь хедар доцучу дахаре доьдучу хин хьоста а хилла, дӀахӀуттур ду».</verse>
				<verse number="15">Зудчо элира Ӏийсага: «Эла, лохьа суна и Айхьа дуьйцу хи, со хьогах ца хилийта а, со кхуза хӀара хи кхехьа ца эхийта а».</verse>
				<verse number="16">Ӏийсас зудчуьнга элира: «Яло, хьайн майра а валош, юха схьайола кхуза».</verse>
				<verse number="17">Зудчо жоп делира: «Сан майра вац». «Нийса боху ахь, хьан майра вац.</verse>
				<verse number="18">ХӀунда аьлча хьан пхи майра хилла, ткъа хӀинца хьоьца Ӏаш верг хьан майра вац. Иза нийса элира ахьа», — элира Ӏийсас.</verse>
				<verse number="19">ТӀаккха зудчо элира: «Эла, го суна Хьо пайхамар хилар.</verse>
				<verse number="20">Тхан дай Далла Ӏибадат дан кху лам тӀе богӀура, ткъа аша и Ӏибадат дан деза меттиг Ярушалаймехь ю боху».</verse>
				<verse number="21">Ӏийсас элира цуьнга: «Тешалахь Сох, зуда. ТӀейогӀуш ю и зама, адамаша шаьш Дена до Ӏибадат я кху лам тӀехь а, я Ярушалаймехь а дан ца дезаш.</verse>
				<verse number="22">Шуна-м шайна а ма-дарра ца хаьа, шаьш Хьанна Ӏибадат до. Ткъа тхуна хаьа тхаьш Хьанна Ӏибадат до, хӀунда аьлча кӀелхьардовлар жуьгташкара ма ду.</verse>
				<verse number="23">Амма тӀейогӀуш ю и зама, тӀееана а яьлла иза, шаьш баккъалла а Дена Ӏибадат дечу наха, синца а, бакъдолчуьнца а Ӏибадат деш. ХӀунда аьлча иштта Ӏибадат дийраш лоьху Шена Дас.</verse>
				<verse number="24">Дела Ша а Са ду. Цундела Цунна Ӏибадат деш болчара синца а, бакъдолчуьнца а Ӏибадат дан деза».</verse>
				<verse number="25">Зудчо элира Цуьнга: «Суна хаьа Машахь вогӀур вуй». — (Иза «Дала леррина Къобалвинарг» бохург ду). — «Ша веача, Цо дерриге а хьоьхур ду тхуна».</verse>
				<verse number="26">Ӏийсас элира: «Хьоьца къамел деш волу Со ву-кх И Къобалвинарг».</verse>
				<verse number="27">Цу хенахь Цуьнан мурдаш схьабаьхкира. Уьш цецбевллера, Ӏийсас зудчуьнца къамел деш шайна гича. Делахь а мурдех цхьаммо а ца хаьттира Цуьнга: «Хьуна хӀун лаьа?» я: «Ахь стенах лаьцна къамел до оцу зудчуьнца», — аьлла.</verse>
				<verse number="28">ТӀаккха, шен хи кхоьхьу кхаба а йитина, юьрта а яхана, оцу зудчо нахе элира:</verse>
				<verse number="29">«ГӀой, хьовсал, ас сайн дахарехь мел динчух лаьцна соьга схьадийцинчу Стаге. Дала леррина Къобалвинарг-м вац те Иза?»</verse>
				<verse number="30">Юьртара ара а бевлла, и нах Ӏийсана тӀе бахара.</verse>
				<verse number="31">Цу хенахь мурдаша дехар дира Цуьнга: «Рабби, хӀума яахьа!» — аьлла.</verse>
				<verse number="32">Ткъа Ӏийсас элира цаьрга: «Шуна хӀун ю а ца хууш йолу яа хӀума ю Соьгахь».</verse>
				<verse number="33">ТӀаккха мурдаша вовшашка элира: «Цхьаммо яа хӀума-м ца еана те Кхунна?»</verse>
				<verse number="34">Ӏийсас элира цаьрга: «Сан кхача бу Со Ваийтинчун лаам кхочушбар а, Цуьнан гӀуллакх чекхдаккхар а.</verse>
				<verse number="35">Ялта дӀадуьйчу хенахь: „Кхин а цхьа биъ бутт баьлча, ялта хьокху хан тӀейогӀур ю вайна“, — ца олу аша? Иштта Аса а боху шуьга: шайн бӀаьргаш дӀа а беллий, кхаш тӀе хьовсал, ма кхиъна и ялта хьакха хӀинца.</verse>
				<verse number="36">Ялта хьокхучо шена догӀург схьаоьцу, Дела волчохь хедар доцучу дахаре стом а гулбеш, ялта дӀадуьйчунна а, хьокхучунна а цхьаьна хазахетар хилийтархьама.</verse>
				<verse number="37">ХӀунда аьлча нийса боху кицано: „Цхьаммо ялта дӀадоь, вукхо хьокху“.</verse>
				<verse number="38">Аша шаьш къа ца хьегначу кха тӀе ялта хьакха дахийтина Аса шу. Кхечара къахьегна, ткъа аша цара къахьегначу кха тӀера ялта гулдина».</verse>
				<verse number="39">Цу гӀалара дуккха а шамранхой тийшира Ӏийсах, оцу зудчо шайга тоьшалла а деш: «Сайн дахарехь ас мел динчух лаьцна схьадийцира Цо соьга», — аьлла дела.</verse>
				<verse number="40">Цундела Ӏийса волчу баьхкира и шамранхой. Цара, шайца саца аьлла, дийхира Ӏийсага. ТӀаккха Ӏийса шина денна цаьрца сецира.</verse>
				<verse number="41">Ӏийсан дош бахьана долуш кхин а, хьалхачул а сов, нах тийшира Цунах.</verse>
				<verse number="42">Ткъа цу зудчуьнга цара элира: «Хьалха ахь дийцарна тийшира тхо. ХӀинца тхуна тхаьшна а Цо дуьйцург хезна а дела, и Стаг баккъалла а дуьне кӀелхьардоккхург вуй го а дела, теша тхо Цунах».</verse>
				<verse number="43">И ши де чекхдаьлча, Ӏийса, цигара ара а ваьлла, Галилай-махка вахара.</verse>
				<verse number="44">ХӀунда аьлча Ӏийсас Ша тоьшалла дира, пайхамарийн шаьш схьабаьллачу махкахь сий ца до аьлла.</verse>
				<verse number="45">Ӏийса Галилай-махка веача, галилайхоша а тӀеийцира Иза. ХӀунда аьлча царна гинера Ярушалаймехь дезачу дийнахь Ӏийсас дина гӀуллакхаш. Галилайхой а баханера цу Пасахь-дийнахь Ярушалайме.</verse>
				<verse number="46">Иштта Ӏийса юха а Галилай-махкара Кхана олучу юьрта веара, Ша цкъа хих чагӀар дина хиллачу меттиге. Цу хенахь Къапарнамехь цхьа стаг вара, ша паччахьан белхало а волуш. Цуьнан кӀант цомгуш вара.</verse>
				<verse number="47">Ӏийса ЯхӀуд-махкара Галилай-махка веана аьлла, хезира цу стагана. ТӀаккха, Ӏийсана тӀе а веана, цу стага дийхира Цуьнга, шеца дӀа а веана, и кӀант туовар. ХӀунда аьлча и кӀант вала герга вара.</verse>
				<verse number="48">ТӀаккха Ӏийсас цу стаге элира: «Я тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш, я Ӏаламаташ ца гича, тешар дац-кх шу Сох».</verse>
				<verse number="49">Ткъа цу стага дийхира Ӏийсага: «Эла, сан кӀант велла дӀавалале, тӀеволахьа!» — аьлла.</verse>
				<verse number="50">Ӏийсас элира цуьнга: «ДӀагӀо, хьан кӀантана гӀоле ю». Ӏийсас аьллачух теша а тешна, и стаг дӀавахара.</verse>
				<verse number="51">Иза цӀа воьдуш, дуьхьалбогӀучу леша: «Хьан кӀантана гӀоле ю», — элира.</verse>
				<verse number="52">Стага хаьттира цаьрга: «Маца хена дуьйна гӀоле хила йолаелира кӀантана?» Леша жоп делира: «Селхана, делкъахенахь, цхьа сахьт даьлча, дагар дӀаделира цуьнан», — аьлла.</verse>
				<verse number="53">ТӀаккха хиира кӀентан дена, иза шега Ӏийсас: «Хьан кӀантана гӀоле ю», — аьллачу хенахь хиллий. ТӀаккха и стаг а, цуьнан цӀахь мел берш а тийшира Ӏийсах.</verse>
				<verse number="54">Иштта, Ша ЯхӀуд-махкара Галилай-махка веача, шолгӀа а тамашийначу гӀуллакхийн билгало гайтира Ӏийсас.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">Цул тӀаьхьа Ярушалаймехь жуьгтийн цхьа деза де даздеш дара. Ӏийса а веара цига.</verse>
				<verse number="2">Ярушалаймехь УьстагӀийн ков олучу меттехь баьккхина луьйчу цхьа Ӏам бу. Цунах Ӏебархойн маттахь Бет-Хьасда олу. Цу Ӏомана гонах лаьтташ бӀогӀамийн пхи могӀа бара, тӀехула тиллина тхов а болуш.</verse>
				<verse number="3">Оцу Ӏомана тӀедоьлхучу некъаш тӀехь Ӏохкуш Ӏаламат дукха цомгуш болу нах хуьлура. Царна юкъахь бара бӀаьрзенаш, астагӀнаш, заьӀапнаш.</verse>
				<verse number="4">***</verse>
				<verse number="5">Иштта, ткъе берхӀитта шарахь шен цамгаро хьийзош волу цхьа хьенех а вара цигахь.</verse>
				<verse number="6">И стаг цигахь Ӏуьллуш а гина, иза дукха хенахь дуьйна цомгуш вуйла а хиъна, Ӏийсас хаьттира цуьнга: «Могуш хила лаьий хьуна?»</verse>
				<verse number="7">Ткъа цомгушчо элира Ӏийсага: «Эла, Ӏома чуьра хи, меттах а даьлла, дӀасадаьржачу хенахь со цу чуваккха цхьа а вац-кх сан. Ткъа со хи чувала воллучу хенахь, кхин цхьаъ сол хьалха волу-кх».</verse>
				<verse number="8">Ӏийсас элира цомгушчуьнга: «ХьалагӀатта, хьайн мотт-гӀайба схьа а эций, дӀаволало».</verse>
				<verse number="9">И стаг, цу сохьта туо а велла, шен мотт-гӀайба схьа а эцна, дӀаволавелира. Иза Далла леринчу шоьтан дийнахь дара.</verse>
				<verse number="10">Цундела динан куьйгалхоша цамгарх товеллачуьнга элира: «Тахана Далла лерина шоьтан де ду, хьайн мотт-гӀайба дӀабаккха а бакъо ма яц хьан».</verse>
				<verse number="11">Ткъа цо жоп делира яхӀудхошка: «И со Товинчо элира-кх соьга: „Хьайн мотт-гӀайба схьа а эций, дӀаволало“».</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха цара хаьттира товеллачуьнга: «Мила ву хьоьга, мотт-гӀайба схьа а эций, дӀаволало аьлла и Стаг?»</verse>
				<verse number="13">Ткъа товеллачунна Иза мила ву ца хаьара. ХӀунда аьлча, кхузахь адам алссам хиларна, аьтту а баьлла, Ӏийса къайлавелира.</verse>
				<verse number="14">Цул тӀаьхьа и стаг Делан цӀийнан кертахь а карийна, Ӏийсас элира цуьнга: «ХӀинца хьо цамгарх товелла, ткъа кхин къинош ма летаделахь, хьайна кхин цул а вониг ца хилийтархьама».</verse>
				<verse number="15">ТӀаккха цу стага, вахана, динан куьйгалхошка ша Товинарг Ӏийса вуй дӀахаийтира.</verse>
				<verse number="16">Цундела, Ӏийсас и стаг туовар Далла лерина шоьтан дийнахь дина аьлла, динан куьйгалхой Ӏийсана дуьхьалбевлира.</verse>
				<verse number="17">Ткъа Ӏийсас элира цаьрга: «Сан Дас тахханалц а болх беш бу, Аса а бо и болх».</verse>
				<verse number="18">Ӏийсас иза аларна, Иза вен кхин а чӀогӀа тӀаьхьабевлира динан куьйгалхой. ХӀунда аьлча Далла лерина шоьтан де ца лерина а ца Ӏаш, Делах Шен Да ву а аьлла, Ша Делаца вуьстинера Ӏийсас.</verse>
				<verse number="19">Ткъа Ӏийсас жоп делира царна: «Бакъдерг боху Ас шуьга, Шен Дас дийриг гуш ца хилча, Шеггара хӀумма а дойла дац КӀентан. ХӀунда аьлча Шен Дас дийрриг до КӀанта а.</verse>
				<verse number="20">Дена Шен КӀант веза, цундела Ша мел дийриг дерриг а гойту Дас КӀантана. Шу цец а дохуш, кхин а сов гӀуллакхаш гойтур ду Дас Цунна.</verse>
				<verse number="21">ХӀунда аьлча Шен Дас белларш денбаре терра, иштта КӀанта а Шена луъург денво.</verse>
				<verse number="22">Адамашна тӀехь кхел яр, Ша а ца деш, Шен КӀентан кара дӀаделла Дас,</verse>
				<verse number="23">массаьрга а, Да лоручу тайпана, КӀант а ларийтархьама. ХӀунда аьлча КӀант ца лоручо Иза ваийтина волу Да а ца лору.</verse>
				<verse number="24">Бакъдерг боху Ас шуьга: Сан даше ладугӀуш а, Со Ваийтинчух тешаш а волчун Дела волчохь хедар доцу дахар ду. Къематан дийнахь царна тӀехь кхел яц, ткъа, беллачуьра ден а белла, Делаца долчу бакъдолчу дахаре кхаьчна уьш.</verse>
				<verse number="25">Бакъдерг боху Ас шуьга: тӀейогӀуш ю и зама, тӀекхаьчна а яьлла, беллачарна Делан КӀентан аз а хезар долуш, и хезнарш ден а лур болуш.</verse>
				<verse number="26">ХӀунда аьлча Ден а Ша-Шена чохь дахар хиларе терра, иштта Шен КӀантана а делла Цо Ша-Шена чохь дахар хилар.</verse>
				<verse number="27">Иза Адамийн КӀант волу дела, кхел ян а бакъо елла Дала Цуьнан кара.</verse>
				<verse number="28">Цец ма довлалаш цунах, хӀунда аьлча тӀейогӀуш ю и зама, кешнаш чохь болчу массарна а Делан КӀентан аз хезар долуш.</verse>
				<verse number="29">ТӀаккха, ден а белла, арабевр бу уьш. Царах дика гӀуллакхаш динарш Дела волчохь хедар доцучу дахаре гӀур бу. Ткъа шайн дахарехь вон гӀуллакхаш динарш шайна кхел яйта денлур бу.</verse>
				<verse number="30">Айса-Сайгара хӀумма а дан йиш яц Сан. Аса, Сайна ма-хаззара, кхел йо, и Сан кхел бакъ а ю. ХӀунда аьлча Аса Сайн лаам ца лоьху, амма Со Ваийтинчу Ден лаам кхочушбо».</verse>
				<verse number="31">«Нагахь санна Аса-Айса Сайх тоьшалла дахь, и Сан тоьшалла кхоччуш дац.</verse>
				<verse number="32">Сох тоьшалла дийриг Кхин ву. Цо Сох деш долу и тоьшалла бакъ дуйла хаьа Суна.</verse>
				<verse number="33">Аша Яхьъяна тӀе нах бахийтира, ткъа цо билггал долчу бакъдолчух тоьшалла дира.</verse>
				<verse number="34">Адамо дина тоьшалла оьшуш вац Со-м, амма шу кӀелхьардовлийта боху Аса шуьга хӀара.</verse>
				<verse number="35">Яхьъя богуш а, къегаш а болу стогар санна вара шуна. Ткъа шуна кӀеззиг йолчу ханна цуьнан серлонгахь хазахетар хила лиира.</verse>
				<verse number="36">Амма Сан тоьшалла Яхьъян тоьшаллел а сов ду. ХӀунда аьлча Аса дан дезаш а долчу, Аса деш а долчу, Суна Сан Дас деллачу цу гӀуллакхаша до Сох тоьшалла Сан Дас Со ваийтина хиларх.</verse>
				<verse number="37">Со ваийтина волчу Сан Дас до Сох тоьшалла. Шуна-м я Цуьнан аз а ца хезна, я Цуьнан сибат а ца гина.</verse>
				<verse number="38">Я Цуьнан кхаъ а шун даг чохь ца лаьтта, Цо Ваийтинчух шу ца теша дела.</verse>
				<verse number="39">Делан Йозанаш толлу аш, уьш шаьш теллича, Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхочур ду моьттуш. Ткъа Делан Йозанаша Сох тоьшалла ма-до.</verse>
				<verse number="40">Амма шуна ца лаьа Суна тӀаьхьахӀитта, шайна Дела волчохь хедар доцу дахар хилийта.</verse>
				<verse number="41">Адамашкара сий дар ца оьшу Суна.</verse>
				<verse number="42">Амма Суна девза шу, шун дегнаш чохь Деле хила ма-безза безам боцийла а хаьа.</verse>
				<verse number="43">Со Сайн Ден цӀарах веана воллушехь, тӀе ца оьцу аша. Ткъа цхьа кхиверг шен цӀарах веача, иза тӀеоьцур ву аша.</verse>
				<verse number="44">Муха тешар ду шу, цхьаммо шайн сий дича, аша иза хазахетарца тӀеоьцуш хилча? Ткъа цхьаъ бен воцучу Делера сий аша ца лоьху.</verse>
				<verse number="45">Ма мотталаш Ас шу Далла хьалха бехке дийр ду. Шу бехке дан Муса-пайхамар хир ву, цунах дегайовхо йолуш Ӏаш долчу шуна.</verse>
				<verse number="46">Шаьш Муса-пайхамарах тешаш хилча, Сох а тешар дара шу, хӀунда аьлча Сох лаьцна яздинера цо.</verse>
				<verse number="47">Амма нагахь санна цуьнан йозанех а шу ца тешча, Сан дешнех муха тешар ду шу?»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="6">
				<verse number="1">Цул тӀаьхьа Галилай-Ӏоман дехьа болчу берда тӀе вахара Ӏийса. Цу Ӏомах Тхьабара-Ӏам олу кхечу тайпана.</verse>
				<verse number="2">Дукха адам тӀаьхьахӀоьттира Ӏийсана, хӀунда аьлча царна гина хилла Цо цомгушчарна тӀехь йина тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш.</verse>
				<verse number="3">Цкъа, лам тӀе а ваьлла, цигахь Шен мурдашца Ӏаш вара Иза.</verse>
				<verse number="4">Ткъа тӀедогӀуш дара «Пасахь» олу деза де.</verse>
				<verse number="5">Юхахьаьжча, Ӏийсана гира Шена тӀаьхьахӀоьттина догӀу дукха адам. ТӀаккха Пилапе хаьттира Цо: «И адамаш дузо бепиг мичара оьцур дара вай?» — аьлла.</verse>
				<verse number="6">Иза Пилап зерхьама элира Ӏийсас, ткъа Цунна Шена хаьара Ша дан леринарг.</verse>
				<verse number="7">«Царна хӀоранна кӀез-кӀеззиг бепиг кхачийта а, ши бӀе динари ахча а тоьур дац-кх», — аьлла, жоп делира Пилапа.</verse>
				<verse number="8">Ткъа Цуьнан мурдех цхьаммо, ШамӀа-Кипин вашас Ӏандара, элира Ӏийсага:</verse>
				<verse number="9">«Кхузахь цхьа кӀант ву, цуьнгахь мекхан демах бина пхи хьокхам а, ши чӀара а бу. Амма цунах хӀун хир ю кху халкъана?»</verse>
				<verse number="10">ТӀаккха Ӏийсас элира: «Охьаховшабе и нах». Иза йоккха меттиг яра, хьалаяьлла дуккха а буц а йолуш. Цу тӀе пхи эзар стаг охьахиира.</verse>
				<verse number="11">Ӏийсас, и бепиг схьа а эцна, Далла хастам а бина, мурдашка дӀакховдийра, ткъа цара иза охьахевшинчарна дӀадийкъира. Иштта царна деззачул чӀерий а дийкъира.</verse>
				<verse number="12">Нах буьзначул тӀаьхьа, Ӏийсас Шен мурдашка элира: «Йисина юьхкаш схьагулъе, цхьа а хӀума эрна ца дайта».</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха и нах яа хӀума йиъна бевлча, царах йисина йолу оцу мекхан деман пхеа баьпкан юьхкаш схьа а гулйина, мурдаша шийтта тускар дуьзира.</verse>
				<verse number="14">Цул тӀаьхьа, Ӏийсас йина тамашийна гӀуллакхан билгало а гина, наха олура: «ХӀара ву-кх и дуьнен чу ван веза бакъволу Пайхамар».</verse>
				<verse number="15">Ткъа нах, схьа а баьхкина, Шех паччахь вархьама Ша схьалаца бохкий а хиъна, Ӏийса юха а Ша цхьаъ лам тӀе дӀавахара.</verse>
				<verse number="16">ТӀаккха суьйре тӀееача, Ӏийсан мурдаш Ӏам тӀе баха чубиссира.</verse>
				<verse number="17">Хинкеман чу а хиъна, Ӏоман вукху агӀор йолчу Къапарнам олучу гӀала баха бевлира уьш. Бода а боьллера, амма Ӏийса хӀинца а схьа ца веанера.</verse>
				<verse number="18">ЧӀогӀа мох баларна, хӀорд карзахбаьллера.</verse>
				<verse number="19">Иштта мурдаша, хӀорда тӀехула дӀабоьлхуш, пхи чаккхарма гергга некъ бира. ТӀаккха, шайн хинкеманна тӀекхоччуш волу, хин тӀехула гӀаш вогӀу Ӏийса гира царна. Уьш кхерабелира.</verse>
				<verse number="20">Ткъа Ӏийсас элира цаьрга: «Со ву шуна иза! Ма кхера!»</verse>
				<verse number="21">Ӏийса хинкеманна чуваккха бохкуш бара мурдаш, ткъа хинкема цу сохьта хӀорш тӀебоьлхуш болчу хин йисте кхечира.</verse>
				<verse number="22">ШолгӀачу дийнахь Ӏоман вукху агӀор гулбеллачу нахана гира и цхьаъ бен хинкема цигахь ца хилар а, Ӏийса Шен мурдашца цу хинкеман чу ца валар а. Ткъа мурдаш, Ӏийсах дӀа а къаьстина, хинкеман чохь шаьш дӀабахара.</verse>
				<verse number="23">ТӀаккха Везачу Эло хастам бина, Дала беркате дина бепиг наха диинчу метте, кхин а хинкеманаш кхечира Тхьабара-гӀала олучу меттигера.</verse>
				<verse number="24">ТӀаккха нахана кхузахь я Ӏийса а, я Цуьнан мурдаш а цахилар гира. Уьш, Ӏийса лоьхуш, хинкеманаш чу а хевшина, Къапарнаме баьхкира.</verse>
				<verse number="25">Ткъа шаьш кхаьчначу Ӏоман дуьхьаларчу берда тӀехь Ӏийса шайна карийча, цара элира Цуьнга: «Рабби! Хьо маца кхаьчна кхуза?»</verse>
				<verse number="26">Ӏийсас жоп делира царна: «Бакъдерг боху Ас шуьга: Шайна тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш гарна ца лоьху аша Со, ткъа шаьш бепиг а диъна дузарна лоьху.</verse>
				<verse number="27">Кху дуьнен чуьра телхар болчу кхачанна къа ма хьега. Амма шаьш Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхачош болу, Адамийн КӀанта шайна лур болу кхача лаха, хӀунда аьлча Дала Шен мухӀар таӀорца тоьшалла до Цунах».</verse>
				<verse number="28">ТӀаккха наха Ӏийсага хаьттира: «Муха лела деза те тхо, Далла лерина гӀуллакхаш кхочушдархьама?»</verse>
				<verse number="29">Ӏийсас жоп делира царна: «Далла лерина гӀуллакх кхочушдар ду Дала Ваийтинчух шу тешаш хилар».</verse>
				<verse number="30">ТӀаккха цара Ӏийсага элира: «ХӀун тамашийначу гӀуллакхийн билгало гойту Ахь тхуна, и ган а гина, тхо Хьайх тешийтархьама? ХӀун гойтур дара Ахь?</verse>
				<verse number="31">Тхан дайша яьссачу аренгахь стигалан кхача биъна, яздина ма-хиллара: „Стигалшкара доссийна бепиг делира царна даа“».</verse>
				<verse number="32">ТӀаккха Ӏийсас элира цаьрга: «Муса-пайхамаро ца делла шуна стигалшкара охьадаийтина бепиг, амма Сан Дас луш ду и бакъдолу стигалшкара охьадоуьйту бепиг.</verse>
				<verse number="33">ХӀунда аьлча Делан бепиг ду, стигалшкара охьа а догӀуш, дуьненна дахар а луш долу бепиг».</verse>
				<verse number="34">ТӀаккха наха элира Ӏийсага: «Эла, лохьа тхуна иштта бепиг гуттар а!»</verse>
				<verse number="35">Ткъа Ӏийсас элира цаьрга: «Со дахаран бепиг ду шуна. ХӀунда аьлча Суна тӀевогӀург цкъа а мацлур вац, Сох тешаш верг цкъа а хьаглур вац.</verse>
				<verse number="36">Амма Ас аьлла шуьга: Со шуна гушшехь, шу Сох ца теша.</verse>
				<verse number="37">Сан Дас Суна луш мел дерг Суна схьакхочур ду, ткъа Сайна тӀевогӀург Ас дӀаэккхор вац.</verse>
				<verse number="38">ХӀунда аьлча стигалшкара схьа Сайн лаам кхочушбан веана вац Со, ткъа Со Ваийтинчун лаам кхочуш бан веана ву.</verse>
				<verse number="39">Со Ваийтинчун иштта лаам бу: Цо Суна деллачу синойх Ас цхьа а ца дайар, амма тӀаьхьарчу дийнахь и синош Ас дендар.</verse>
				<verse number="40">ХӀунда аьлча Сан Ден лаам бу, хӀора а, Со КӀант хилар а гуш, Сох тешнарг Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхачор. Денвийр а ву Ас иза тӀаьхьарчу дийнахь».</verse>
				<verse number="41">«Со стигалара охьадоьссина бепиг ду», — Ӏийсас аларна, Цунна реза боцуш, хамталлаш ян буьйлабелира яхӀудхой.</verse>
				<verse number="42">ТӀаккха цара хоьттура вовшашка: «Вайна девзаш долчу оцу ден-ненан, оцу Юсупан кӀант Ӏийса вац Иза? Ткъа хӀинца Цо и муха олу те: „Со стигалшкара веана“?»</verse>
				<verse number="43">ТӀаккха Ӏийсас элира цаьрга: «Хамталлаш ма е вовшашлахь.</verse>
				<verse number="44">Цхьаннан а вогӀийла дац Суна тӀе, Со ваийтинчу Дас иза тӀе ца оьзча. Ткъа Аса иза денвийр ву тӀаьхьарчу дийнахь.</verse>
				<verse number="45">Пайхамарийн цхьана тептар тӀехь яздина ма-ду: „Берриш а Дала Ӏамор бу“, — аьлла. ХӀора, Дас бохург а хезна, цунах кхетта верг вогӀу Суна тӀе.</verse>
				<verse number="46">Иза дац ша Делера воцучу цхьанна Да гина бохург. Ша Делера волчу Цунна гина Да.</verse>
				<verse number="47">Бакъдерг боху Ас шуьга: Тешаш волчун хир ду Дела волчохь хедар доцу дахар.</verse>
				<verse number="48">Со дахаран бепиг ду.</verse>
				<verse number="49">Шун дайша яьссачу аренгахь стигалара кхача биира, ткъа уьш белла.</verse>
				<verse number="50">ХӀара бепиг стигалшкара охьадогӀу, муьлхха а и диънарг ца валийтархьама.</verse>
				<verse number="51">Со стигалара охьадеана дахаран бепиг ду. И бепиг дуучун цкъа а хедар доцу дахар хир ду. Ткъа Ас лун долу бепиг Сан дегӀ ду, дуьненан адамийн дахарх Ас дӀалур долу».</verse>
				<verse number="52">ТӀаккха вовшашца къийса хӀиттира яхӀудхой. Цара бохура: «Вайга Шен дилха муха доуьйтур ду Цо?»</verse>
				<verse number="53">Ткъа Ӏийсас элира цаьрга: «Баккъалла а боху Ас шуьга: Нагахь аша Адамийн КӀентан дилха а ца даахь, Цуьнан цӀий а ца малахь, дахар хир дац шуна чохь.</verse>
				<verse number="54">Сан дилха а дууш, Сан цӀий а молуш волчун Дела волчохь хедар доцу дахар хир ду. Иза Ас денвийр а ву тӀаьххьарчу дийнахь.</verse>
				<verse number="55">ХӀунда аьлча Сан дилха а бакъболу кхача санна ду, Сан цӀий а бакъдолу малар санна ду.</verse>
				<verse number="56">Сан дилха а дууш, Сан цӀий а молуш верг Соьца вехаш ву, ткъа Со цуьнца вехаш ву.</verse>
				<verse number="57">Дийна волуш волчу Дас Со ваийтарна, Со а ву Деца доьзна дахар долуш. Иштта Сох кхача бууш волчун а Соьца доьзна дахар хир ду.</verse>
				<verse number="58">ХӀара стигалшкара охьадеана бепиг ду. Шун дайша диъначу баьпках тера дац иза. Иза дуъушехь, уьш беллера. Ткъа хӀара бепиг дууш верг Дела волчохь даим а вехар ву».</verse>
				<verse number="59">И къамел дира Ӏийсас Къапарнамехь гуламан цӀа чохь, Ша нахана хьехамаш беш.</verse>
				<verse number="60">И хьехамаш хезначу Ӏийсан мурдех дукхахболчара элира: «Хала ду и дош. Хьаьнга ладогӀало цуьнга?»</verse>
				<verse number="61">Амма Шен мурдаша реза боцуш гӀам-гӀим дойла Шен даг чохь хууш волчу Ӏийсас элира: «ХӀокху дешнаша а вас йо шуна?</verse>
				<verse number="62">Нагахь Адамийн КӀант Ша хьалха хиллачу юхавоьрзуш шайна гича, хӀун хетар ду те шуна?</verse>
				<verse number="63">Делан Сино дахар ло, ткъа адаман дилханах цхьа а пайда бац. Ас шуьга аьллачу дешнашна чохь са а, дахар а доллу.</verse>
				<verse number="64">Амма шуна юкъара цхьаберш тешаш бац». ХӀунда аьлча Ӏийсана хьалххе дуьйна а хаьара муьлш бу Шех цатешарш а, Шена тешнабехк хьан бийр бу а.</verse>
				<verse number="65">ТӀаккха кхин а элира Ӏийсас: «Цундела аьллера Ас шуьга, цхьа а валур вац Суна тӀе, нагахь санна Сан Дас иза цунна делла дацахь».</verse>
				<verse number="66">Цу хенахь дуьйна Ӏийсан дукхах болу мурдаш Цунах дӀакъаьстира, кхин Цуьнца а ца лелаш.</verse>
				<verse number="67">ТӀаккха Ӏийсас Шен шийтта мурде элира: «Шуна а лаьий те дӀакъаста?»</verse>
				<verse number="68">Ткъа ШамӀа-Кипас жоп делира Цуьнга: «Веза Эла, хьанна тӀегӀур дара тхо? Хьоьгахь ма-ду Дела волчохь хедар доцучу дахаран дешнаш.</verse>
				<verse number="69">Теша а тешна, Хьо Дала Вазвинарг вуй хиира тхуна».</verse>
				<verse number="70">Ӏийсас жоп делира царна: «Ас хаьржина вацара шу шийтта? Амма шуна юкъара цхьаъ иблис ду».</verse>
				<verse number="71">Цо и элира ШамӀа-Искархочун кӀантах ЯхӀудах лаьцна. ХӀунда аьлча шийттаннах цхьаъ воллушехь, цо тӀаьхьо тешнабехк бийр болуш бара Ӏийсана.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="7">
				<verse number="1">Цул тӀаьхьа Галилай-махкахула лелаш вара Ӏийса. ЯхӀуд-махкахула лела ца лаьара Цунна, цигара динан куьйгалхоша Ша вен лоьхий хууш.</verse>
				<verse number="2">ТӀедогӀуш дара Кхалорийн деза денош.</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха Ӏийсан вежарша элира Цуьнга: «Кхузара дӀа а валий, ЯхӀуд-махка гӀохьа, Айхьа деш долу гӀуллакхаш Хьайн мурдашна а гайтархьама.</verse>
				<verse number="4">ХӀунда аьлча ша гӀаравала лууш волчу цхьаммо а ша деш долу цхьа а гӀуллакх къайлаха ца до. Нагахь Айхьа иштта гӀуллакхаш деш хилча, дуьненна а Хьо вовзийта».</verse>
				<verse number="5">ХӀунда аьлча Ӏийсан вежарий а бацара Цунах тешаш.</verse>
				<verse number="6">Цунна дуьхьал Ӏийсас элира цаьрга: «Сан хан хӀинца а тӀе ца кхаьчна, ткъа шун хан гуттара а ю.</verse>
				<verse number="7">Кху дуьненна шу ца деза бахьана дац. Ткъа Со ца веза адамашна, Ас церан гӀуллакхаш зуламе ду аьлла, тоьшалла до дела.</verse>
				<verse number="8">Шу гӀо шайна и деза де даздан. Сан хан хӀинца а тӀе ца кхаьчна дела, Со ца воьду цига».</verse>
				<verse number="9">Цаьрга иза а аьлла, Ӏийса Галилайхь висира.</verse>
				<verse number="10">Амма Шен вежарий и деза де даздан дӀабахча, Ӏийса а вахара цига, Ша ца гойтуш, къайлаха.</verse>
				<verse number="11">Цу дезачу дийнахь динан куьйгалхой Иза лоьхуш бара. Цара хоьттура: «Мичахь ву Иза?» — бохуш.</verse>
				<verse number="12">Нахана юкъахь дукха хабарш дара Ӏийсах лаьцна хезаш. Цхьаболчара: «Иза дика стаг ву», — олура, ткъа кхечара: «ХӀан-хӀа вац, Цо нах лебо», — олура.</verse>
				<verse number="13">Делахь а динан куьйгалхойх шаьш кхерарна, цхьаммо а къайлаха бен ца дуьйцура Цунах лаьцна.</verse>
				<verse number="14">Амма деза денош юккъе дахханчу хенахь Ӏийсас, Делан цӀийнан керта а вахана, хьехамаш бира.</verse>
				<verse number="15">Динан куьйгалхой цецбуьйлура: «Иза цхьанхьа а доьшуш ма ца гора, оццул хӀума муха хаьа Цунна?» — бохуш.</verse>
				<verse number="16">Ӏийсас, царна жоп луш, элира: «Ас бо хьехам Сан бац, ткъа Со Ваийтинчун хьехам бу.</verse>
				<verse number="17">Цуьнан лаам кхочушбан луучунна хуур ду кху хьехамах лаьцна, Делера ду те иза, я Ас Сайгара боху те.</verse>
				<verse number="18">Ша-шегара бохучо шена сийлалла лоьху. Ткъа Иза Ваийтинчун сийлалла лоьхург билггал бакъ ву, Цуьнца харцо яц.</verse>
				<verse number="19">Муса-пайхамаро ца белла шуна товрат-хьехам? Ткъа шух цхьа а цу хьехамо ма-бохху ца лела. ХӀунда лоьху аш Со вен дагахь?»</verse>
				<verse number="20">Наха жоп делира: «Жин-м дац Хьуна чохь? Мила ву Хьо вен лоьхург?»</verse>
				<verse number="21">Ӏийсас, кхин дӀа а къамел деш, элира цаьрга: «Цхьа гӀуллакх дира Ас, ткъа шу дерриш а цецдуьйлу.</verse>
				<verse number="22">Муса-пайхамаро сунтдар тӀедожийна шуна, (иза цуьнгара а доцуш, дайшкара схьадаьлла дара). Ткъа аша Далла леринчу шоьтан дийнахь а сунтдо бераш.</verse>
				<verse number="23">Нагахь Муса-пайхамаран хьехамо бохург ца дохорхьама, бераш шоьтан дийнахь а сунтдеш хилча, Суна оьгӀазло хӀунда йо аша, Аса шоьтан дийнахь стаг верриг а цамгарх товина аьлла?</verse>
				<verse number="24">Адамна тӀехьаьжна ма е кхел, ткъа кхел бакъонца е».</verse>
				<verse number="25">Кхузахь болчу ярушалаймхойх цхьаболчара бохура: «ХӀара-м вац те вен лоьхург?</verse>
				<verse number="26">ХӀинца ХӀокхо, лечкъа ца деш, дерриг ма-дарра схьа ма дуьйцу, хӀетте а Кхунна дуьхьал цхьаммо а хӀума ма ца олу. Билггала ХӀара Дала леррина Къобалвинарг ву аьлла, тешна бу те куьйгалхой?</verse>
				<verse number="27">Амма вайна ХӀара мичара схьавеана хаьа. Ткъа Дала леррина Къобалвинарг схьавеача, цхьанна а хуур дац, Иза мичара ву».</verse>
				<verse number="28">ТӀаккха Ӏийсас, аз а айдина, Делан цӀийнан кертахь хьехамаш а беш, дӀакхайкхийра: «Со а вевза шуна, Со мичара ву а хаьа шуна. Ткъа Со Сайгара веана вац. Со Ваийтинарг шуна ца вевза, Иза билггал бакъ воллушехь.</verse>
				<verse number="29">Суна вевза Иза, Со Цунах схьаваьлла дела а, Цо Со ваийтина дела а».</verse>
				<verse number="30">Ӏийса схьалацархьама лийхира наха, амма цхьанна а стага Цунна тӀе куьг ца кховдийра, хӀунда аьлча Цуьнан хан хӀинца а тӀе ца кхаьчнера.</verse>
				<verse number="31">Ткъа тобанна юкъара дукхах болу нах тийшира Цунах. Цара бохура: «Дала леррина Къобалвинарг веача, Цо ХӀокхо гайтинчул сов гойтур юй те тамашийна билгалонаш?»</verse>
				<verse number="32">ТӀаккха парушхошна Ӏийсах лаьцна дуьйцу иштта хабарш хезира тобанна юкъахь. Динан коьртачу дайша а, парушхоша а гӀаролхой бахийтира Ӏийса схьалацийтархьама.</verse>
				<verse number="33">ТӀаккха Ӏийсас элира: «Кхин а кӀеззигчу хенахь Ӏийр ву Со шуьца, цул тӀаьхьа Со Ваийтинчунна тӀе гӀур ву Со.</verse>
				<verse number="34">Со лоьхур ву аша, амма карор вац шуна Со, ткъа Со хир волчу метте шу дахкалур дац».</verse>
				<verse number="35">ТӀаккха динан куьйгалхоша вовшашка элира: «Вайна карор а воцучу, стенга ваха воллу те Иза? Вайн махкара дӀа а бахана, грекахойн меттигашкахь Ӏаш болчу нахана тӀеваха-м ца воллу те Иза? Цигарчу нахана хьехам бан лаьий те Цунна?</verse>
				<verse number="36">ХӀун маьӀна ду те Цо аьллачу дешнийн: „Со лоьхур ву аша, амма карор вац шуна, ткъа Со волчу метте шу дахкалур дац“?»</verse>
				<verse number="37">Сийлахь-доккхачу дезачу денойн тӀаьххьарчу дийнахь Ӏийсас, дӀа а хӀоьттина, кхайкхам беш, элира: «Шаьш хьогах долчара, Суна тӀе а дуьйлий, мала шайна.</verse>
				<verse number="38">Сох тешначун, Делан Йозанашна тӀехь ма-аллара, кийрара „дийначу хин“ шовданаш оьхур ду».</verse>
				<verse number="39">Иза Цо элира Шех тешаш болчара тӀеоьцур долчу Делан Синах лаьцна. Ткъа царна чохь хӀинца а Делан Са дацара, хӀунда аьлча Ӏийса Дас сийлалла даза вара.</verse>
				<verse number="40">И дешнаш шайна хезча, нахах цхьаболчара олура: «Иза билггал ван веза пайхамар ву-кх».</verse>
				<verse number="41">Вукхара олура: «Иза Дала леррина Къобалвинарг ву». Кхечара: «Галилай-махкара вогӀур ву ткъа Дала леррина Къобалвинарг?» — олура.</verse>
				<verse number="42">«Делан Йозанаш тӀехь а аьлла дацара Дала леррина Къобалвинарг, Дауд-паччахь схьаваьлла волчу Байтлахам-гӀалара а волуш, Даудан хӀух хир ву?»</verse>
				<verse number="43">ТӀаккха Ӏийса бахьана долуш адамийн тоба шина декъе екъаелира.</verse>
				<verse number="44">Царах цхьаберш Ӏийса схьалаца лууш бара, амма цхьаммо а Цунна тӀе куьг ца кховдийра.</verse>
				<verse number="45">Иштта и бахана болу гӀаролхой, юха а бирзина, динан коьртачу дайшна а, парушхошна а хьалха тӀебаьхкира. Вукхара хаьттира: «Схьа хӀунда ца валийна аша Иза?»</verse>
				<verse number="46">Ткъа гӀаролхоша жоп делира: «ХӀинццалц цхьанна а стага ца дина-кх цу Стага динарг санна къамел».</verse>
				<verse number="47">ТӀаккха парушхоша элира: «Шу а Ӏеха-м ца дина те Цо? — аьлла. —</verse>
				<verse number="48">Куьйгалхойх я парушхойх цхьа а гиний шуна Цунах тешна?</verse>
				<verse number="49">Амма оцу тобанна товрат-хьехам ца бевза, цундела Делан неӀалт ду царна тӀехь».</verse>
				<verse number="50">ТӀаккха парушхойх волчу цхьаммо, хьалха Ӏийсана тӀевогӀуш хиллачу Нукха-Демис, элира:</verse>
				<verse number="51">«Вайн товрат-хьехамо стаге ла а догӀале, цо хӀун леладо а хаале, кхел йо боху ткъа?»</verse>
				<verse number="52">ТӀаккха парушхоша Нукха-Демига жоп делира: «Хьо-м вац те Галилай-махкара? Талла а таллий, хьажа, тӀаккха хуур ду хьуна, цхьа а пайхамар Галилай-махкара ца вогӀий».</verse>
				<verse number="53">ТӀаккха хӀора а шен-шен цӀа дӀавахара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="8">
				<verse number="1">Ткъа Ӏийса Зайт-диттийн лам тӀе вахара.</verse>
				<verse number="2">ТӀаккха Ӏуьйранна Ӏийса юха а Делан цӀийнан керта веара. Берриг нах оьхура Цунна тӀе. Охьа а хиъна, Ӏийсас нахана хьехамаш бира.</verse>
				<verse number="3">Цу хенахь Ӏелам наха а, парушхоша а цхьа зуда, сийсаза лелаш йоллучу хенахь тӀе а кхаьчна, иза цу меттехь схьа а лаьцна, яла а йина, нахана юккъе дӀахӀоттийра.</verse>
				<verse number="4">Цара Ӏийсага элира: «Устаз! ХӀара зуда нахаца лелаш йоллучохь схьалаьцна ю.</verse>
				<verse number="5">Ткъа Мусан хьехамо тӀедиллина и санначарна тӀулгаш кхоссар. ХӀинца Ахь хӀун эр дара?»</verse>
				<verse number="6">И элира цара Ӏийса зерхьама а, Цуьнгара даьлла гӀалат тӀехтохархьама а. Ткъа Ӏийса, лохха охьа а таьӀна, лаьттахь пӀелгаца яздан волавелира.</verse>
				<verse number="7">Ткъа цу наха Шега кхин а хеттарш дича, Ӏийсас, хьала а таьӀна, элира: «Шена тӀехь къа доцучо уггар хьалха тӀулг кхосса цунна тӀе».</verse>
				<verse number="8">Иза а аьлла, юха а охьатаьӀна, лаьтта тӀехь яздеш вара Ӏийса.</verse>
				<verse number="9">Ткъа и дешнаш шайна хезча, цхьаъ вукхунна тӀаьххье а воьдуш, баккхийнаш хьалха а бовлуш, уьш дӀабахара. ТӀаккха Ӏийса Ша висира цигахь, керта юккъехь лаьтташ йолчу зудчуьнца</verse>
				<verse number="10">Корта хьала а айина, Ӏийсас элира цу зудчуьнга: «Зуда, уьш мичахь бу? Цхьаммо а кхел ца йи хьуна?»</verse>
				<verse number="11">Зудчо элира: «Цхьаммо а ца йи, Эла». «Аса а ца йо хьуна кхел, — элира Ӏийсас. — ДӀагӀо хьайна, амма кхул тӀаьхьа кхин иштта долу къинош ма летаде».</verse>
				<verse number="12">Цул тӀаьхьа юха а элира Ӏийсас нахе: «Со дуьненна елла серло ю. Суна тӀаьхьахӀоьттинарг бодашкахь лелар вац, амма цуьнан бакъдолчу дахаран серло хир ю».</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха парушхоша элира Цуьнга: «Айхьа-Хьайх тоьшалла до Ахь, цундела Хьан тоьшалла кхоччуш дац».</verse>
				<verse number="14">Ткъа Ӏийсас, жоп луш, элира цаьрга: «Аса Айса-Сайх тоьшалла деш делахь а, Сан тоьшалла кхоччуш ду. ХӀунда аьлча Суна хаьа, Со мичара веана а, стенга воьду а, ткъа шуна ца хаьа, я Со мичара веана а, я Со стенга воьду а.</verse>
				<verse number="15">Аша адамийн ламасташка хьаьжжина кхел йо, ткъа Аса цхьанна а кхел ца йо.</verse>
				<verse number="16">Нагахь Ас кхел еш елахьара, Сан кхел бакъ хир яра, хӀунда аьлча Со цхьаъ вац, амма Со ваийтина Да а ву Соьца.</verse>
				<verse number="17">Шун товрат-хьехамна тӀехь а яздина ду, шина стага дина тоьшалла бакъ ду аьлла.</verse>
				<verse number="18">Ткъа Сайх тоьшалла Ас-Айса а до, Со ваийтинчу Сан Дас а до».</verse>
				<verse number="19">ТӀаккха элира Цуьнга: «Мичахь ву Хьан Да?» Ӏийсас жоп делира: «Я Со а ца вевза шуна, я Сан Да а ца вевза. Шуна Со вевзахьара, Сан Да а вевзар вара».</verse>
				<verse number="20">Иштта къамел деш вара Ӏийса Делан цӀийнан кертахь хазнина уллохь, Ша хьехамаш бечу хенахь. Цхьаммо а схьа ца лецира Иза, хӀунда аьлча Цуьнан хан хӀинца а тӀекхаьчна яцара.</verse>
				<verse number="21">Юха а элира Ӏийсас нахе: «Со дӀавоьду, ткъа аша лоьхур а ву Со, шайн къиношца лийр а ду шу. Со воьдучу шу дахкалур дац».</verse>
				<verse number="22">ТӀаккха бохура динан куьйгалхоша: «Ша-Шен вен-м ца воллу те Иза? Цундела боху те Цо: „Со воьдучу шу дахкалур дац“?»</verse>
				<verse number="23">Кхин а элира Ӏийсас: «Шу лахарчех ду, ткъа Со лакхарчех ву. Шу кху дуьненах ду, ткъа Со кху дуьненах вац.</verse>
				<verse number="24">Ас аьлла-кх шуьга, шу шайн къиношца лийр ду, хӀунда аьлча, нагахь Суо Верг Со хиларх шу ца тешахь, шайн къиношца лийр ду шу».</verse>
				<verse number="25">ТӀаккха элира цара Ӏийсага: «Хьо мила ву?» Ӏийсас жоп делира цаьрга: «Аса дуьххьара дуьйна шуьга Со ву аьлларг ву-кх.</verse>
				<verse number="26">Дуккха а дара Сан шух лаьцна дийца а, шу бехке а деш, ала хӀума а. Амма Со Ваийтинарг бакъверг ву, ткъа хӀара Суна Цуьнгара хеззнарг ду. Цу Сайна хезначух лаьцна дуьйцу Ас дуьненна а».</verse>
				<verse number="27">Ткъа уьш ца кхийтира, Ӏийсас шайга Шен стигаларчу Дех лаьцна дуьйцуш дуй.</verse>
				<verse number="28">Цундела Ӏийсас элира: «Шаьш Адамийн КӀант хьалаваьккхича, тӀаккха хуур ду шуна Со волуш Верг Со хилар а, Аса Сайгара хӀума ца леладар а. Ткъа Сайн Дас хьехнарг бен ца дуьйцу Ас дуьненна.</verse>
				<verse number="29">И Со Ваийтинарг Соьца ву. Цо Со цхьа ца витина, Ас даим а Цунна луъург до дела».</verse>
				<verse number="30">Ӏийсас бохург хезаш болчех дукхахберш Цунах теша буьйлабелира.</verse>
				<verse number="31">Шех теша буьйлабеллачу яхӀудхошка Ӏийсас элира: «Нагахь шу Сан дош лардеш лелаш делахь, шу билггал Сан мурдаш ду.</verse>
				<verse number="32">Шуна билггал долу бакъдерг а девзар ду, цу бакъдолчо шу паргӀат а дохур ду».</verse>
				<verse number="33">Ткъа цара жоп делира Ӏийсага: «Тхо ИбрахӀиман хӀух а ду, тхо цкъа а цхьанна а леш ца хилла. Ахь муха боху и: „Шу паргӀатдевр ду“?»</verse>
				<verse number="34">Ӏийсас царна жоп делира: «Баккъалла а боху Ас шуьга: хӀора къа латош верг цу къинан лай ву.</verse>
				<verse number="35">Лай шен оьмар хаддалц веха олахочун доьзалехь, ткъа кӀант хаддаза доьзалхо хилла вуьсу.</verse>
				<verse number="36">Иштта, нагахь Адамийн КӀанта шу паргӀатдахахь, шу билггал паргӀат хир ду.</verse>
				<verse number="37">Суна хаьа шу ИбрахӀиман хӀух дуйла, амма шу Со вен дагахь ду, Сан дош шайна чу ца тарло дела.</verse>
				<verse number="38">Сайн Да волчохь гинначух лаьцна дуьйцу Ас, ткъа аша а шайн дегара хеззнарг леладо».</verse>
				<verse number="39">Ӏийсана жоп а луш, яхӀудхоша элира: «Тхан да ИбрахӀим ву». Ткъа Ӏийсас элира цу яхӀудхошка: «Нагахь шу ИбрахӀиман хӀух делахьара, ИбрахӀима дина доллу гӀуллакхаш дийр дара аша.</verse>
				<verse number="40">Ткъа хӀинца Со вен дагахь лоьху аш, Со шуьга билггал бакъдерг аьлла Стаг воллушехь. И бакъдерг Суна Делера хезна. Ткъа аш дийриг ИбрахӀима ца дора.</verse>
				<verse number="41">Аша шайн дас динна гӀуллакхаш до». ТӀаккха цара Ӏийсага элира: «Тхо къотӀалгӀадина дац. Цхьа Да ву тхан. Иза Дела ву».</verse>
				<verse number="42">Ӏийсас элира цаьрга: «Шун Да Дела велахьара, Со шуна везар вара, хӀунда аьлча Со, Делера схьа а ваьлла, кхуза схьавеана. Ткъа Со Сайгара веана вац, амма Дас ваийтина ву.</verse>
				<verse number="43">ХӀунда ца кхета те шу Сан къамелах? Иза сан дош шуна хаза йиш йоцу дела ду.</verse>
				<verse number="44">Шун да иблис ду, ткъа шуна а лаьа шайн ден лаамаш кхочушбан. Иблис юьххьехь дуьйна а адам доьриг ду, иза бакъдолчунна тӀехь ца Ӏийра, шеца бакъдерг доцу дела. Цо харцдерг дуьйцучу хенахь шениг дуьйцу, хӀунда аьлча иза харцдерг дуьйцург а ву, харцдолчун да а ву.</verse>
				<verse number="45">Ткъа Аса билггал долу бакъдерг дуьйццушехь, Сох шу ца теша.</verse>
				<verse number="46">Шух муьлхачо бехке вийр вара Со, Ас къинош летадо аьлла? Ткъа Ас билггал долу бакъдерг дуьйцуш доллушехь, шу Сох хӀунда ца теша?</verse>
				<verse number="47">Ша Делера Волчо ладугӀу Делан дешнашка. Амма шаьш Делера доцу дела, аша ла а ца дугӀу».</verse>
				<verse number="48">Аьллачунна дуьхьал жоп луш, яхӀудхоша элира Ӏийсага: «Ткъа тхо бакъ луьйш дац: „Хьо шамранхо ву, Хьуна чохь жин ду“, — оха аьлча?»</verse>
				<verse number="49">Ӏийсас жоп делира: «Суна чохь жин дац. Аса Сайн Ден сий до, ткъа аша Со сийсазво.</verse>
				<verse number="50">Сайн сий дар ца лоьху Ас. И Лоьххург — кхел Йийриг а ву.</verse>
				<verse number="51">Баккъалла а боху Ас шуьга: Сан дош кхочушдечунна цкъа а валар гур дац».</verse>
				<verse number="52">ЯхӀудхоша элира Ӏийсага: «ХӀинца билггал хии тхуна Хьуна чохь жин хилар. ХӀунда аьлча ИбрахӀим а велла, пайхамарш а белла, ткъа Ахь боху, Хьан дош кхочушдеш верг цкъа а лийр вац.</verse>
				<verse number="53">Баккъалла-м вац те Хьо тхан веллачу дел ИбрахӀимал а воккха? Ткъа пайхамарш а белла. Хьайх мила ву олу Ахьа?»</verse>
				<verse number="54">Ӏийсас жоп делира: «Нагахь Ас-Айса Сайн сийлалла дахь, и Сан сийлалла хӀумма а доцург ду. Сан сий аша шайн Дела ву бохучу Сан Дас лакха доккху.</verse>
				<verse number="55">Шуна-м Иза вовза а ца вевзина, ткъа Суна вевза Иза. Нагахь Ас Сайна Иза ца вевза алахь, Со а хир ву шух терра харцдерг дуьйцург. Амма Суна И вовза а вевза, Аса Цуьнан дош а лардо.</verse>
				<verse number="56">Шун дас ИбрахӀима хазахетарца ладугӀура Со ван везачу дийне, ткъа и де ган а гира, хаза а хийтира цунна».</verse>
				<verse number="57">Ӏийсас аьллачунна дуьхьал яхӀудхоша элира: «Хьан хӀинца а шовзткъе итт шо а ма ца кхаьчна? Хьуна ИбрахӀим гина?»</verse>
				<verse number="58">ТӀаккха Ӏийсас элира: «Баккъалла а боху Ас шуьга: ИбрахӀим хилале дуьйна, Со волуш Верг ву Со».</verse>
				<verse number="59">ТӀаккха тӀулгаш схьаийцира цара Ӏийсана детта дагахь. Амма Иза, царна юккъехула къайлаха чекх а ваьлла, Делан цӀийнан кертара дӀавахара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="9">
				<verse number="1">ТӀаккха чекхволучу Ӏийсана ша вичхьана дуьйна бӀаьрзе хилла волу цхьа стаг гира.</verse>
				<verse number="2">Ӏийсан мурдаша хаьттира Цуьнга: «Рабби! Хьан къа латийна дела бӀаьрзе ву те и стаг, цо ша я цуьнан дас-нанас?»</verse>
				<verse number="3">Ӏийсас жоп делира: «Я цо, я цуьнан дас-нанас ца латийна къа, ткъа цунна тӀехь Делан нуьцкъалаллин гӀуллакхаш гайтархьама хилла иза.</verse>
				<verse number="4">Де мел ду дан деза вай Со Ваийтинчо тӀедехкина гӀуллакхаш. ТӀейогӀуш буьйса ю, тӀаккха цхьаьнгге а хӀумма а далур дац.</verse>
				<verse number="5">Со дуьненахь мел ву, дуьненна елла серло ю Со».</verse>
				<verse number="6">И дешнаш аьлла, лаьтта туй а кхоьссина, цуьнца цхьа поппар бира Ӏийсас. ТӀаккха и поппар бӀаьрзечун бӀаьргех хьаькхира Цо.</verse>
				<verse number="7">Цул тӀаьхьа бӀаьрзечуьнга элира Ӏийсас: «Вало, нах луьйчуш болчу Шилон (иза „вахийтинарг“ бохург ду) олучу Ӏома тӀе а гӀой, хьайн юьхь йила». Цу стага, вахана, цигахь шен юьхь йилира, тӀаккха бӀаьрса а гуш, иза цӀа вирзира.</verse>
				<verse number="8">Лулахоша а, и стаг сагӀа доьхуш шайна гиначу наха а бохура: «ХӀара вац и, охьахиъна, сагӀа доьхуш хилларг?»</verse>
				<verse number="9">Цхьаболчара бохура: «И стаг ву-кх иза». Вукхара олура: «Цунах тера ву и». Ткъа цо ша элира: «Со ву иза».</verse>
				<verse number="10">ТӀаккха хаттарш дора цуьнга: «БӀаьргаш схьа муха беллабелира хьан?» — бохуш.</verse>
				<verse number="11">Цу стага дуьхьал жоп делира: «Ӏийса цӀе йолчу Стага, поппар а бина, и сан бӀаьргашна тӀе а хьаькхна, элира соьга: „Нах луьйчучу Шилон олучу Ӏома тӀе а гӀой, хьайн юьхь йила“. Аса, вахана, юьхь йилира, тӀаккха сан бӀаьргашна са гира».</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха цуьнга элира: «Мичахь ву Иза?» Стага жоп делира: «Ца хаьа суна», — аьлла.</verse>
				<verse number="13">И хьалха бӀаьрзе хилла стаг парушхошна тӀевигира.</verse>
				<verse number="14">Ткъа Ӏийсас, поппар а бина, бӀаьрзениг товина де Далла лерина шоьтан де дара.</verse>
				<verse number="15">ТӀаккха парушхоша а хаьттира: «БӀаьрса муха деана хьуна?» — аьлла. Цу стага жоп делира: «Иштта, цхьа поппар а бина, сан бӀаьргашна тӀебиллира Цо иза. ТӀаккха ас юьхь йилира, ткъа хӀинца суна бӀаьрса го».</verse>
				<verse number="16">ТӀаккха парушхойх цхьаболчара элира: «Делера вац и Стаг, Цо Далла лерина шоьтан де ца лору дела». Вукхара олура: «Шена тӀехь къинош долчу стага муха гойтур ю иштта тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш?» Парушхошна юкъахь къовсамаш бевлира.</verse>
				<verse number="17">Юха а бӀаьрзе хиллачуьнга хаьттира: «Ахь хӀун эр ду Цунах лаьцна, хӀунда аьлча Цо хьан бӀаьргашна са ма гайтина?» Цу стага элира: «Иза пайхамар ву».</verse>
				<verse number="18">ТӀаккха динан куьйгалхой ца тийшира и стаг, хьалха бӀаьрзе а хилла, хӀинца цуьнан бӀаьргашна са гуш хиларх. Цундела цу стеган дай-наний шайна тӀекхайкхира цара.</verse>
				<verse number="19">Парушхоша хаьттира цаьрга: «ХӀара вуй аша вичхьана а бӀаьрзе хилла ву боху шун кӀант? Ткъа хӀинца бӀаьрса муха го цунна?»</verse>
				<verse number="20">Цу дас-нанас, жоп луш, элира цаьрга: «Тхуна хӀара кӀант тхайн вуй хаьа, иза веш дуьйна а бӀаьрзе хилла хилар а хаьа.</verse>
				<verse number="21">Ткъа хӀинца цунна бӀаьрса муха го а ца хаьа тхуна, я цунна са Гайтинарг мила ву а ца хаьа. ХӀара ша а ву кхиъна ваьлла стаг, цо ша дийца деза-кх шех лаьцна».</verse>
				<verse number="22">Иштта жоп делира цуьнан дас-нанас, шаьш динан куьйгалхойх кхерарна. ХӀунда аьлча куьйгалхоша барт бинера, нагахь хьаъа а Ӏийса Дала леррина Къобалвинарг ву аьлла ларахь, иза гуламан цӀийнах дӀакъасто.</verse>
				<verse number="23">Цундела элира цу стеган дас-нанас: «Иза ша а ву кхиъна ваьлла стаг, цуьнга шега хатта аша», — аьлла.</verse>
				<verse number="24">ТӀаккха, шозлагӀа а и бӀаьрзе хилларг схьа а кхайкхина, цара элира цуьнга: «Тхуна-м хаьа и Стаг къинош долуш вуй. Ткъа ахьа Далла хьалха бакъдерг алал».</verse>
				<verse number="25">Цу бӀаьрзе хиллачо элира, царна жоп луш: «И Стаг къинош долуш ву я вац-м ца хаьа суна. Цхьа хӀума-м хаьа суна: Со хӀинццалц бӀаьрзе хилла хилар а, ткъа хӀинца суна са гуш хилар а».</verse>
				<verse number="26">Юха а хаьттира цара цу стаге: «ХӀун дира Цо хьуна? Хьан бӀаьргаш дӀа муха диллира Цо?» — аьлла.</verse>
				<verse number="27">БӀаьрзе хиллачо жоп делира царна: «Ас дийцира шуна, амма аша ла ца дуьйгӀира. ХӀинца юха а хаза хӀунда лаьа шуна? Шу-м дац те Цуьнан мурдаш хила лууш?»</verse>
				<verse number="28">ТӀаккха, иза човха а веш, парушхоша элира: «Хьо ву-кх цу Стеган мурд, ткъа тхо-м Муса-пайхамаран мурдаш ду.</verse>
				<verse number="29">Тхуна хаьа Дала къамел динарг Муса-пайхамар хиллий, ткъа ХӀара-м мичара ву а ца хаьа тхуна».</verse>
				<verse number="30">Цу стага, жоп луш, элира цаьрга: «И ду-кх тамашийна хӀума, шуна Иза мичара ву цахаар. Ткъа Цо-м сан бӀаьргаш дӀа ма биллина.</verse>
				<verse number="31">Къинош летийначаьрга Дала ла ца дугӀий хаьа вайна. Амма Шех кхоьруш волчуьнга а, Шен лаам кхочушбеш волчуьнга а Дала ладугӀу.</verse>
				<verse number="32">ХӀара дуьне кхоьллинчхьана а дуьйцу ца хезна-кх, цхьаммо а веш дуьйна бӀаьрзе хиллачу стеган бӀаьргашна са гайтийтина бохуш.</verse>
				<verse number="33">Нагахь Иза Делера Стаг вацахьара, Цуьнга хӀумма а далур а дацара».</verse>
				<verse number="34">Ткъа динан куьйгалхоша цуьнга жоп делира: «Хьо-х верриг а къинош юкъахь вина ву. Ахь хьоьхур дара тхуна?» Иза а аьлла, гуламан цӀийнах дӀакъастийра цара и стаг.</verse>
				<verse number="35">И стаг гуламан цӀийнах дӀакъастийнийла а хиъна, иза схьа а лехна, Ӏийсас элира цуьнга: «Теший хьо Адамийн КӀантах?»</verse>
				<verse number="36">Цу стага, жоп луш, элира: «Эла, Мила ву те Иза, со Цунах тешаш хила?»</verse>
				<verse number="37">Ӏийсас элира цуьнга: «Хьуна Иза ган а гина, хӀинца хьоьца къамел Дийриг а Иза ву».</verse>
				<verse number="38">ТӀаккха бӀаьрзе хиллачо элира: «Теша со, Веза Эла!» Иза а аьлла, Ӏийсан сийнна Цунна хьалха гора вуьйжира и стаг.</verse>
				<verse number="39">ТӀаккха Ӏийсас элира: «Со кху дуьнен чу адамаш декъадалийта веана ву. БӀаьрзе болчарна са гайта а, ткъа бӀаьрса долуш берш бӀаьрзе бан а веана».</verse>
				<verse number="40">Ӏийсаца хиллачу парушхоша, Цо аьлларг а хезна, элира Цуьнга: «Тхо а ду те бӀаьрзе?»</verse>
				<verse number="41">Ӏийсас элира цаьрга: «Нагахь шу бӀаьрзе делахьара, шуна тӀехь бехк хир бацара. Ткъа хӀинца аш боху: „Тхуна са го“, — цундела шун бехк шуна шайна тӀехь буьсу».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="10">
				<verse number="1">«Баккъалла а боху Ас шуьга: милла а, уьстагӀийн кертан кевнехула а ца волуш, кхечу некъахула чувериг, къу а, талорхо а ву.</verse>
				<verse number="2">Ткъа кевнехула чувериг цу уьстагӀийн Ӏу ву.</verse>
				<verse number="3">Ков лардеш волчу стага цунна ков дӀадоьллу, ткъа уьстагӀаша цуьнан озе ла а дугӀу. ТӀаккха, шен уьстагӀийн цӀераш а йохуш, уьш арадоху цо.</verse>
				<verse number="4">Шен дерриге а уьстагӀий арадаьхча, иза царна хьалхаваьлла воьду, ткъа уьстагӀий цунна тӀаьхьахӀуьтту, шайна цуьнан аз девза дела.</verse>
				<verse number="5">Хийрачунна тӀаьхьа ца доьлху уьш, амма цунах къехка, шайна цу хийрачун аз ца девза дела».</verse>
				<verse number="6">И хьекъале дустар далийра Ӏийсас парушхошна. Амма уьш ца кхийтира Цо шайна дийцинчун маьӀнах.</verse>
				<verse number="7">ТӀаккха юха а элира Ӏийсас: «Баккъалла а боху Ас шуьга: Со уьстагӀашна дина долу ков ду.</verse>
				<verse number="8">Сол хьалха мел баьхкинарш берриш къуй а, талорхой а бара. Амма уьстагӀаша цаьрга ла ца дуьйгӀира.</verse>
				<verse number="9">Со ков ду. Милла а Сох чуваьлларг кӀелхьарвоккхур ву. Иза ладогӀарца чу-ара а вер ву, цунна дежийла а карор ю.</verse>
				<verse number="10">Къу лачкъорхьама а, верхьама а, хӀаллакдархьама а бен ца вогӀу. Ткъа Со шун дахар хилийта а, и дахар шортонца хилийта а веана.</verse>
				<verse number="11">Со дика Ӏу ву. Дикачу Ӏуьно шен са а дӀало шен уьстагӀийн дуьхьа.</verse>
				<verse number="12">Ткъа йолах волу Ӏу, и уьстагӀий шен долахь ца хиларе терра, борз йогӀуш шена гича, жа а дуьтий, дӀаводу. Еанчу барзо и уьстагӀий хӀаллак а до, уьш дӀай-схьай а даржадо.</verse>
				<verse number="13">И Ӏу дӀаводу, ша йолах Ӏу волу дела а, шен оцу уьстагӀийн бала а боцу дела а.</verse>
				<verse number="14">Со дика Ӏу ву, цундела Суна сайнаш а бевза, сайчарна Со а вевза.</verse>
				<verse number="15">Дена Со вовзаре терра, Суна а вевза Да. Сайн са а дӀало Ас уьстагӀийн дуьхьа.</verse>
				<verse number="16">Кхин а уьстагӀий ду Сан. Уьш кху кертара дац. И уьстагӀий а ду Ас Сайн керта дало дезаш. Цара а ладугӀур ду Сан озе, тӀаккха царах цхьа жа а хир ду, церан цхьа Ӏу а хир ву.</verse>
				<verse number="17">Аса Сайн са, юха а схьаэцархьама, дӀало дела, Сан Дена Со веза.</verse>
				<verse number="18">Цхьаммо а дӀадоккхур дац Соьгара Сан са, амма Аса-Айса дӀалур ду иза. Сан йиш ю Сайн са дӀадала а, иза юха схьаэца а. И весет Ас Сайн Дегара схьаэцна».</verse>
				<verse number="19">Юха а, Ӏийсан и дешнаш бахьана долуш, нахана юкъахь къовсам белира.</verse>
				<verse number="20">Дукхахболчара олура: «Цунна чохь харц жин доллу, Иза хьераваьлла. Цуьнга ла а хӀунда дугӀу аша?»</verse>
				<verse number="21">Вукхара олура: «И дешнаш жинаша хьийзош волчу стеган дац. Харц жине дӀаделлалур дуй бӀаьрзечун бӀаьргаш?»</verse>
				<verse number="22">Ӏай Ярушалайм-гӀалахь даздеш долу «Карладаккхар» олу деза де тӀедеара.</verse>
				<verse number="23">Делан цӀийнан кертара Сулим-паччахьан цӀарах йолчу меттехь лелаш вара Ӏийса.</verse>
				<verse number="24">Кхузахь Ӏийсана гонах гулбеллачу наха элира Цуьнга: «Дукха латтор дуй те Ахь тхо духе ца кхиош? Хьо Дала леррина Къобалвинарг велахь, дуьххьал схьаалахьа тхоьга».</verse>
				<verse number="25">Ӏийсас жоп делира цаьрга: «Ас элира шуьга, амма шу ца теша Сох. Сайн Ден цӀарах Ас деш долчу гӀуллакхаша тоьшалла до Сох.</verse>
				<verse number="26">Амма шаьш Сан уьстагӀех доцу дела, ца теша шу Сох.</verse>
				<verse number="27">Сан уьстагӀашна Сан аз а хеза, Суна а уьш девза, уьш Суна тӀаьхьа а догӀу.</verse>
				<verse number="28">Ткъа Аса царна Дела волчохь хедар доцу дахар ло, уьш цкъа а хӀаллак а хир дац, цхьаммо а Сан карара уьш лачкъор а дац.</verse>
				<verse number="29">Уьш Суна делла волу Сан Да массарал а воккха ву. Сан Ден куьйгара цхьаьнгге а лачкъалур дац уьш.</verse>
				<verse number="30">Со а, Сан Да а — Тхо цхьаъ ду».</verse>
				<verse number="31">ТӀаккха юха а наха тӀулгаш схьаийцира, Ӏийсана деттархьама.</verse>
				<verse number="32">Ӏийсас жоп делира царна: «Сайн Дегара дуккха а дика гӀуллакхаш гайтира Ас шуна. Царах муьлханиг бахьана долуш тӀулгаш детта гӀерта шу Суна?»</verse>
				<verse number="33">Наха жоп делира Ӏийсана: «Ахьа дина дика гӀуллакхаш бахьана долуш детта ца дохку тхо Хьуна тӀулгаш, амма Ахьа, Дела сийсаз а веш, Хьуо адам доллушехь, Хьайх Дела варна детта дохку».</verse>
				<verse number="34">Ӏийсас юха а жоп делира царна: «Яздина дац ткъа шун товрат хьехамаш тӀехь а: „Ас аьлла, шу деланаш ду“?</verse>
				<verse number="35">Нагахь Делан дош дӀакхаьчначарех а деланаш аьлла хилча (ткъа Делан Йозанашца къийса йиш ма-яц),</verse>
				<verse number="36">тӀаккха хӀинца а эр ду те аша, оцу стигаларчу Дас къобалвина кху дуьнен чу Ваийтинчуьнга: „Ахь Ӏеса къамел до“, — Ас шайга: „Со Делан КӀант ву“, — аларна?</verse>
				<verse number="37">Нагахь Ас Сайн Дас до гӀуллакхаш деш дацахь, Сох ма тешалаш.</verse>
				<verse number="38">Амма, нагахь Ас и гӀуллакхаш деш хилча, шаьш Сох ца тешахь а, Ас дечу гӀуллакхех теша. ТӀаккха мукъана а кхетар хир ду шу, Сан Да Соьца а, Со Цуьнца а — тхо цхьаъ дуйла».</verse>
				<verse number="39">ТӀаккха юха а лийхира цара Ӏийса, схьалаца дагахь, амма Иза церан карара велира.</verse>
				<verse number="40">Юха а Йордан-хин вукху агӀор йолчу, хьалха Яхьъяс нах хих чекхбаьхначу меттиге вахара Ӏийса. Цигахь висира Иза.</verse>
				<verse number="41">Дукха нах баьхкира Ӏийсана тӀе. Цара бохура: «Яхьъяс тамашийначу гӀуллакхийн цхьа а билгало ца гайтина, амма цо Кхунах лаьцна аьлларг дерриг а бакъ хилла».</verse>
				<verse number="42">Цигахь дукха нах тийшира Ӏийсах.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="11">
				<verse number="1">Бет-ХӀина олучу юьртахь Ӏаш вара, ЛаӀзар цӀе а йолуш, цхьа хьенех. Иза чӀогӀа цомгуш вара. И Бет-ХӀина олу юрт яра Марем а, цуьнан йиша Марта а ехаш йолу меттиг.</verse>
				<verse number="2">Ткъа и Марем яра, Везачу Элана тӀе хаза хьожа йогӀу деза даьтта а доьттина, Цуьнан когаш шен коьртан месашца бакъон берг. Ткъа и цомгушниг Мареман ваша ЛаӀзар вара.</verse>
				<verse number="3">Цу йижарша хабар дахьийтира Ӏийсана тӀе: «Эла, хӀара Хьуна везаш верг цомгуш ву», — аьлла.</verse>
				<verse number="4">И хаам Шена хезча, Ӏийсас элира: «И цамгар Ӏожаллина яц, амма цуьнгахула Делан КӀентан сийлалла гайтархьама ю».</verse>
				<verse number="5">Ӏийсана езара Марта а, цуьнан йиша а, ЛаӀзар а.</verse>
				<verse number="6">Ткъа ЛаӀзар цомгуш ву аьлла Шена хезна доллушехь, кхин а ши де даьккхира Ӏийсас оцу Ша волчу меттехь.</verse>
				<verse number="7">Цул тӀаьхьа Ӏийсас Шен мурдашка элира: «Юха а ЯхӀуд-махка гӀо вай».</verse>
				<verse number="8">Ткъа мурдаша элира Цуьнга: «Рабби! Дукха хан ма яц яхӀудхоша Хьуна тӀулгаш детта дагахь Хьо лехна. Ткъа Хьо юха а ваха воллу?»</verse>
				<verse number="9">Ӏийсас жоп делира: «Шийтта сахьт дац денна чохь? Дийнахь лелаш верг гал ца волу, хӀунда аьлча цунна кху дуьненан серло го.</verse>
				<verse number="10">Амма буьйсанна лелаш верг галволу, хӀунда аьлча цуьнца серло ца хуьлу».</verse>
				<verse number="11">Иза а аьлла, юха а тӀетуьйхира Ӏийсас: «Вайн доттагӀа ЛаӀзар наб еш ву, ткъа Со иза самаваккха воьду».</verse>
				<verse number="12">Мурдаша элира Цуьнга: «Эла! Нагахь цунна наб кхеттехь, толур ма ву иза».</verse>
				<verse number="13">Амма Ӏийсас ЛаӀзаран валарх дуьйцура, ткъа мурдашна моьттура Ӏийсас ЛаӀзарна наб кхетта боху.</verse>
				<verse number="14">ТӀаккха Ӏийсас дуьххьал дӀаэлира цаьрга: «ЛаӀзар дӀакхелхина.</verse>
				<verse number="15">Ткъа цигахь цахиларна воккхавеш ву Со шун дуьхьа, шу Сох тешийтархьама. Ткъа хӀинца гӀо вай и волчу».</verse>
				<verse number="16">ТӀаккха ТӀамас, шех Шалавинарг олуш волчо, элира вукху мурдашка: «Вай а доьлху цига, Цуьнца цхьаьна далархьама».</verse>
				<verse number="17">Схьакхаьчначу Ӏийсана диъ де хьалха дуьйна къуббанна чохь Ӏуьллуш карийра ЛаӀзар.</verse>
				<verse number="18">Бет-ХӀина олучу гӀалина а, Ярушалаймана а юкъахь кхо чаккхарма хиллал некъ бара.</verse>
				<verse number="19">Дукха яхӀудхой баьхкинера Мартина а, Маремна а тӀе церан ваша ЛаӀзар кхалхар бахьана долуш кадам бан.</verse>
				<verse number="20">Ӏийса вогӀуш ву аьлла хезна, Марта Цунна дуьхьалъяхара. Ткъа Марем цӀахь йисира.</verse>
				<verse number="21">ТӀекхаьчча, Мартас Ӏийсага элира: «Эла, нагахь Хьо кхузахь хиллехьара, лийр ма вацара сан ваша.</verse>
				<verse number="22">Амма суна хӀинца а хаьа-кх Ахь Деле мел дехнарг Дала Хьуна лург хилар».</verse>
				<verse number="23">Ткъа Ӏийсас элира цуьнга: «Денлур ву хьан ваша».</verse>
				<verse number="24">Мартас элира Ӏийсага: «Нах денлур болчу тӀаьхьарчу дийнахь иза а денлур вуй хаьа суна».</verse>
				<verse number="25">Ӏийсас элира цуьнга: «Со ву адамаш ден Дийриг а, адамашна дахар Лург а. Сох тешаш волчун, нагахь и велча а, цкъа а хедар доцу дахар хир ду.</verse>
				<verse number="26">Муьлхха а, и хедар доцу дахар а долуш, Сох тешаш верг цкъа а лийр вац. Теший хьо оцунах?»</verse>
				<verse number="27">Мартас жоп делира: «ХӀаъ, Веза Эла! Со теша Хьо Дала леррина Къобалвинарг а, дуьнен чу ван везаш волу Делан КӀант а вуйла».</verse>
				<verse number="28">Иза а аьлла, яхана шен йиша Марем схьа а кхайкхина, цуьнга къайлаха элира Мартас: «Устаз кхузахь ву, Хьоьга кхойкху Цо».</verse>
				<verse number="29">И хезча, Марем, сихха хьала а гӀаьттина, Ӏийсана тӀеяхара.</verse>
				<verse number="30">Ӏийса хӀинца а юьрта чу кхачаза вара. Иза хӀинца а Марта Шена дуьхьалкхетта хиллачу меттехь лаьтташ вара.</verse>
				<verse number="31">ТӀаккха Марем, сихха хьала а гӀаьттина, араяьлча, цунна синтем беш баьхкина болчу яхӀудхошна иза къуббанна тӀейоьдуш ю моьттира, цигахь елхархьама. Уьш Маремана тӀаьххье бахара.</verse>
				<verse number="32">Ткъа Марема, Ӏийса волчу дӀакхаьчча, Иза а гина, Цуьнан когашка а йоьжна, элира: «Эла! Хьо кхузахь хиллехьара, лийр ма вацара сан ваша».</verse>
				<verse number="33">Йоьлху Марем а, боьлху цуьнца баьхкина яхӀудхой а гина, са карзахдаьлла, дог доьхна вара Ӏийса.</verse>
				<verse number="34">Ӏийсас элира: «Мичахь охьавиллина аша иза?» Цара жоп делира: «ГӀой, хьажахь, Эла!»</verse>
				<verse number="35">Ӏийсан бӀаьргех хиш деара.</verse>
				<verse number="36">ТӀаккха яхӀудхоша бохура: «Ма везаш хилла Цунна иза!»</verse>
				<verse number="37">Амма яхӀудхойх цхьаболчара бохура: «Оцу бӀаьрзечу стеган бӀаьргаш схьабиллинчу Кхуьнан хӀара стаг ца валийта а ницкъ ца кхечира те?»</verse>
				<verse number="38">Ӏийса, юха а Шен дог доьхна а волуш, къуббанна тӀевеара. Иза хьех яра, дуьхьал биллина тӀулг а болуш.</verse>
				<verse number="39">ТӀаккха Ӏийсас элира: «ДӀакарчабе и дуьхьалара тӀулг». Веллачун йишас Мартас элира Ӏийсага: «Эла! Вон хьожа йогӀу цунах, хӀара доьалгӀа де ма ду иза дӀавоьллина».</verse>
				<verse number="40">Ӏийсас элира цуьнга: «Хьоьга ца аьлла Аса, нагахь хьо тешахь, Делан сийлалла гур ю хьуна?»</verse>
				<verse number="41">ТӀаккха тӀулг дӀакарчийра. Ткъа Ӏийсас, бӀаьргаш хьала а хьажийна, элира: «Дада! Баркалла боху Ас Хьуна, Со Хьуна дӀахазарна.</verse>
				<verse number="42">Суна-м хаьара, Хьуна гуттара а Со дӀахезий. Амма кху гонах лаьттачу нехан дуьхьа элира Ас иза, Со Ахь ваийтина хиларх уьш тешийтархьама».</verse>
				<verse number="43">Иза а аьлла, Ӏийсас чӀогӀа мохь туьйхира: «ЛаӀзар! Аравала!» — аьлла.</verse>
				<verse number="44">ТӀаккха и велла хилларг, куьйгех а, когех а йихкина кисин асанаш а йолуш, дӀахьарчийна корта а болуш, къуббанна чуьра аравелира. Ӏийсас элира цаьрга: «ДӀа а вастий, дӀавахийта иза».</verse>
				<verse number="45">ТӀаккха Марем йолчу баьхкинчу яхӀудхойх дукхахберш, Ӏийсас динарг а гина, тийшира Цунах.</verse>
				<verse number="46">Ткъа царах цхьаберш парушхошна тӀебахара. Ӏийсас динарг дийцира цара парушхошка.</verse>
				<verse number="47">ТӀаккха динан коьртачу дайша а, парушхоша а, коьртачу кхеташо а гулйина, элира: «ХӀун дийр дара те вай? ХӀунда аьлча хӀокху Стага дукха тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш ма гойту?</verse>
				<verse number="48">Нагахь вай Иза иштта витахь, массо а нах Цунах тешар бу. ТӀаккха, римхой а баьхкина, цара вайн Делан цӀа а, вайн халкъ а хӀаллакдийр ду».</verse>
				<verse number="49">Царах цхьаммо, цу шарахь динан коьрта да волчу Кайбас, элира: «Шуна хӀумма а ца хаьа,</verse>
				<verse number="50">я шу кхета а ца кхета шайна гӀоле йолчух. И цхьа стаг массо а халкъан дуьхьа валар гӀоле ю, дерриг халкъ хӀаллакьхуьлучул».</verse>
				<verse number="51">Иза Кайбас ша-шегара ца элира. Амма ша цу шарахь динан коьрта да хиларна, цо Делера болу хаам бовзуьйтуш, аьллера, Ӏийса вайн халкъан дуьхьа лийр ву аьлла.</verse>
				<verse number="52">Амма халкъан дуьхьа хилла а ца Ӏаш, дӀасадаьржина долу массо а Делан бераш схьа а гулдина, уьш цхьаьнатохархьама а хила дезаш дара иза.</verse>
				<verse number="53">Цу дийнахь дуьйна Ӏийса вен сацам бира цара.</verse>
				<verse number="54">Цундела Ӏийсас Ша яхӀудхошна юкъахь лелаш ца гойтура. Цигара дӀа а ваьлла, яьссачу аренна гергахьа болчу махка вахара Ӏийса. Цигахь Эпрам олучу юьртахь сецира Иза Шен мурдашца.</verse>
				<verse number="55">Ткъа тӀедан герга дара жуьгтийн Пасахь олу деза де. И деза де тӀекхачале, оцу махкара дукха адам деара Ярушалайме, дино ма-бохху цӀандалархьама.</verse>
				<verse number="56">Цу адамаша Делан цӀийнан кертахь Ӏийса лоьхура. Цигахь шаьш лаьтташ, наха вовшашка хоьттура: «Шуна муха хета? ВогӀур-м вац те Иза кху дезачу дийнахь?»</verse>
				<verse number="57">Ткъа динан коьртачу дайша а, парушхоша а нахе омра дира, нагахь цхьанна Ӏийса мичахь ву хаалахь, И волу меттиг схьайийца аьлла, Иза лацархьама.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="12">
				<verse number="1">Иштта, Пасахьан деза де тӀекхача ялх де дисича, Бет-ХӀина олучу гӀала веара Ӏийса. Ӏийсас веллачуьра денвина волу ЛаӀзар а вара цигахь вехаш.</verse>
				<verse number="2">Цигахь суьйренан пхьор кечдинера Ӏийсана. Марта а яра гӀуллакхаш деш. И ЛаӀзар а вара Ӏийсаца пхьор дуучаьрца.</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха Марема, цхьа герка хиллал нард олучу зезагех даьккхина долу деза даьтта, схьа а эцна, Ӏийсан когаш тӀе доьттира. Цул тӀаьхьа шен коьртара месашца Ӏийсан когаш бакъийра цо. Ткъа и цӀа хаза хьожа йогӀучу даьттанан хьожанах дуьзира.</verse>
				<verse number="4">ТӀаккха Ӏийсан мурдех цхьаммо, ЯхӀуд-Искархочо, тӀаьхьа Ӏийсана ямартло ен волчо, элира:</verse>
				<verse number="5">«И деза даьтта кхо бӀе динари ахчанах дохка а доьхкина, мискачарна дӀа хӀунда ца дийкъира вай?»</verse>
				<verse number="6">И ша аьлларг ца элира цо мискачу нехан бала кхаьчна, ткъа ша къу хиларна элира. Шегахь мурдийн ахча Ӏалашдеш лелош болу тӀоьрмаг болу дела, наггахь цу чу тосучу ахчанах хӀума схьаоьцура цо шена.</verse>
				<verse number="7">ТӀаккха Ӏийсас элира: «Йита и зуда. Шена ца хуъушехь, Со дӀавуллун волчу денна Ӏалашдина хилла цо и даьтта.</verse>
				<verse number="8">ХӀунда аьлча мисканаш гуттар а хир бу шуьца, ткъа Со даим хир вац шуьца».</verse>
				<verse number="9">Дукхах болчу яхӀудхошна хиира Ӏийса цигахь вуйла. Ӏийса гархьама хилла а ца Ӏаш, Цо веллачуьра денвина волу ЛаӀзар ган а баьхкинера уьш.</verse>
				<verse number="10">Ткъа динан коьртачу дайша ЛаӀзар а вен сацам бира.</verse>
				<verse number="11">ХӀунда аьлча ЛаӀзар бахьана долуш баьхкина дукхах болу яхӀудхой, динан куьйгалхойх дӀа а къаьстина, Ӏийсах тийшира.</verse>
				<verse number="12">ШолгӀачу дийнахь Пасахь даздан баьхкинчу дукхачу нахана хезира, Ӏийса Ярушалайме вогӀуш ву аьлла.</verse>
				<verse number="13">Уьш, хурманийн диттийн гаьннаш карахь а долуш, Ӏийсана дуьхьалбаьхкира. Цара аз айдина маьхьарий деттара: «ХӀашанна! Декъала ву Везачу Элан цӀарах вогӀуш волу Исраилан Паччахь!»</verse>
				<verse number="14">Ткъа Ӏийса, цхьа къона вир карийна, цунна тӀе хиира, Делан Йозанаш тӀехь яздина ма-хиллара:</verse>
				<verse number="15">«Ма кхералахь, Цийонан йоӀ! ХӀара хьан Паччахь вогӀу, къоначу вира тӀе а хиъна».</verse>
				<verse number="16">Цуьнан мурдаш юьхьанца ца кхийтира цунах. Амма, тӀаьхьа, Ӏийсан сийлалла кхочушхилча, кхийтира уьш, и дешнаш Цунах лаьцна яздина хиларх а, и дерриг а Цунна дина хиларх а.</verse>
				<verse number="17">Хьалха Цо ЛаӀзар къуббанна чуьра схьакхайкхинчу хенахь а, Цо иза веллачуьра денвинчу хенахь а Ӏийсаца хиллачу наха цунах тоьшалла дора.</verse>
				<verse number="18">Ӏийсас оцу тамашийначу гӀуллакхан билгало яр хезна, Цунна дуьхьалбаьхкира нах.</verse>
				<verse number="19">Парушхоша вовшашка бохура: «Гой шуна, вай-м хӀумма а дан ца ларий? Ткъа дерриг дуьне а Цунна тӀаьхьахӀуттуш ма лаьтта!»</verse>
				<verse number="20">Пасахьан дезачу дийнахь Далла Ӏамал ян баьхкинчарна юкъахь грекахой а бара.</verse>
				<verse number="21">Галилай-махкара Бет-Саида-гӀалара волчу Пилапана тӀебахара уьш. Цара, дехарш деш, элира Пилапе: «Олахо, тхуна Ӏийса ган лаьа».</verse>
				<verse number="22">Цунах лаьцна Пилапа Ӏандаре дӀаэлира. ТӀаккха Ӏандара а, Пилапа а, вахана, Ӏийсага дӀадийцира грекахошна луург.</verse>
				<verse number="23">Ӏийсас, жоп луш, элира цу шинга: «ТӀекхаьчна Адамийн КӀентан сийлалла дӀагойту сахьт.</verse>
				<verse number="24">Баккъалла а боху Ас шуьга: нагахь кӀен буьртиг лаьтта боьжча, хӀаллак ца хилахь, иза ша буьсур бу. Ткъа нагахь иза ша хӀаллакьхилахь а, дуккха а стом лур бу цо.</verse>
				<verse number="25">Шен са дезачо иза хӀаллакдо. Ткъа кху дуьненахь шен са ца дезачо, Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхачархьама, Ӏалашдийр ду иза.</verse>
				<verse number="26">Милла а Суна гӀуллакх деш верг Суна тӀаьхьахӀуттийла. Иза Со волччохь Сан ялхо а хир ву. Милла а Суна гӀуллакх деш верг Сан Дас лорур а ву».</verse>
				<verse number="27">«Ткъа хӀинца Сан са карзахдаьлла. ХӀун ала те Ас? „Дада, кӀелхьарваккхахьа Со кху сахьтах“? Амма кху сахьтана веана ма ву Со.</verse>
				<verse number="28">Дада! Гучуяккхахьа Хьайн цӀеран сийлалла!» ТӀаккха стигалшкара аз хезира: «Ас Сайн цӀеран сийлалла гайта а гайтина, ткъа хӀинца кхин а гойтур а ю», — аьлла.</verse>
				<verse number="29">Цигахь лаьтташ болчу, иза хезначу наха бохура: «Иза стигал къовкъар дара». Ткъа вукхара бохура: «Малико къамел дира Цуьнца».</verse>
				<verse number="30">Цара аьллачунна дуьхьал Ӏийсас элира: «Сан дуьхьа даийтина дацара и аз, амма шун дуьхьа даийтина дара иза.</verse>
				<verse number="31">ХӀинца кху дуьненна кхел хуьлуш ю. Кху дуьненан эла дӀаэккхор ву хӀинца.</verse>
				<verse number="32">Со лаьттара хьалаваьккхича, массо адам Сайна тӀеозор ду Ас».</verse>
				<verse number="33">Иза Ӏийсас элира, Шен валар муха хир ду хаийтархьама.</verse>
				<verse number="34">Наха Ӏийсага элира: «Тхуна хезна товрат-хьехам тӀехь, Дала леррина Къобалвинарг даим а вехар ву аьлла, дуйла. Ткъа Ахь муха боху: „Адамийн КӀант хьалаваьккхина хила везаш ву? Мила ву и Адамийн КӀант?“»</verse>
				<verse number="35">ТӀаккха Ӏийсас элира цаьрга: «ХӀинца а кӀеззигчу ханна серло ю шуьца. Серло йолччуьра, лела шу, шаьш бодане дӀа ца хьулдайта. Ткъа боданехь лелачунна ша стенга воьду а ца хаьа.</verse>
				<verse number="36">И серло шуьца йолччуьра, теша цу серлонах, тӀаккха серлонан кӀентий хир ду шух». Иза а аьлла, Ӏийса, дехьа а ваьлла, къайлавелира царах.</verse>
				<verse number="37">Оццул дукха тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш гайтира Ӏийсас нахана, хӀетте а тешаш бацара уьш Цунах.</verse>
				<verse number="38">Иза дара ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро аьлла хӀара дешнаш кхочушхилийтархьама: «Веза Эла, мила тийшира тхоьгара хезначух? Хьанна хааделира Везачу Элан нуьцкъала куьг?»</verse>
				<verse number="39">Цу нехан тешийла а дацара, ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро кхидӀа а иштта аьлла дела:</verse>
				<verse number="40">«Дала церан бӀаьргаш бӀаьрзе бинера, церан дегнаш а шога динера, церан бӀаьргашна са ца гайта а, церан дегнаш тӀаьхьа ца кхиийта а, уьш шайна гӀо дайтархьама Шена тӀе ца бахийта а. — Ас уьш то а бийр бара!»</verse>
				<verse number="41">Иштта аьллера ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро, шена Ӏийсан сийлалла гича. Иза Ӏийсах лаьцна аьллера цо.</verse>
				<verse number="42">Ур-атталла куьйгалхошна юкъара а дукхахберш тийшира Ӏийсах. Амма шаьш парушхойх кхерар бахьана долуш, цара ца хаийтира шаьш тешний. Уьш кхоьрура шаьш гуламан цӀийнах дӀакъасторах.</verse>
				<verse number="43">ХӀунда аьлча шайна адамашкара долу сийдар Дала сийдарал а сов дезарна.</verse>
				<verse number="44">ТӀаккха Ӏийсас дӀакхайкхадира нахе: «Сох тешаш верг, Сох тешна а ца Ӏаш, Со Ваийтинчух а теша.</verse>
				<verse number="45">Со гуш волчунна Со Ваийтинарг а го.</verse>
				<verse number="46">Серло санна веана Со кху дуьнен чу, Сох тешнарг цхьа а боданехь ца витархьама.</verse>
				<verse number="47">Нагахь санна цхьаммо Сан дешнаш шена хезча, уьш ца лардахь а, Ас цунна кхел йийр яц. ХӀунда аьлча Со дуьненна кхел ян веана вац, амма дуьне кӀелхьардаккха веана ву.</verse>
				<verse number="48">Со юхатухуш а, Сан дешнаш тӀе ца оьцуш а волчун шен кхел ю. Ас аьллачу дашо йийр ю цунна кхел тӀаьххьарчу дийнахь.</verse>
				<verse number="49">ХӀунда аьлча Аса Сайгара ца боху, амма Со ваийтинчу Сан Дас весет дина Соьга, Аса хӀун ала а, хӀун дийца а деза олуш.</verse>
				<verse number="50">Суна хаьа, Делан весето Ша волчохь хедар доцучу дахаре валавой. Цундела Айса бохург, Сайн Дас ма-аллара, боху Ас».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="13">
				<verse number="1">Пасахьан деза де тӀекхочуш дара. Ша кху дуьненара Шен Дена тӀеваха веза хан тӀекхаьчний хаьара Ӏийсана. Дуьненара Шенаш безара Ӏийсана, ткъа хӀинца Шен безам ма-барра кӀорггера гайтира Ӏийсас царна.</verse>
				<verse number="2">Суьйренан пхьор дуучу хенахь Ӏийсана ямартло ян дагатесира иблисо ШамӀа-Искархочун кӀантана ЯхӀудана.</verse>
				<verse number="3">Ткъа Ӏийса хууш вара стигалшкара Шен Дас дерриг а Шен кара деллий а, Ша Делера схьаваьллий а, хӀинца Далла тӀевоьдий а.</verse>
				<verse number="4">Иштта Ӏийсас, хьала а гӀаьттина, Шен тӀехулара бедар схьаяьккхира. ТӀаккха гата схьа а эцна, иза Шен гӀодаюкъах дихкира.</verse>
				<verse number="5">Цул тӀаьхьа теса чу хи доьттира Ӏийсас. ТӀаккха мурдийн когаш била а буьлуш, уьш Шен гӀодаюкъарчу гатанца бакъабан волавелира Иза.</verse>
				<verse number="6">Иштта ШамӀа-Кипина тӀе а вахара Ӏийса, ткъа вукхо элира Цуьнга: «Веза Эла, Ахь буьлур бара сан когаш?»</verse>
				<verse number="7">Ӏийсас жоп делира: «Ас дийриг цкъа хӀинца хӀун ду ца хаьа хьуна, амма тӀаьхьа кхетар ву хьо».</verse>
				<verse number="8">ТӀаккха Кипас элира Цуьнга: «Буьлур бац Ахьа-м сан когаш цкъа а». Ткъа Ӏийсас жоп делира Кипе: «Ас уьш ца билахь, Сох доьзна хьан хӀумма а хир дац-кх».</verse>
				<verse number="9">ТӀаккха ШамӀа-Кипас элира Цуьнга: «Веза Эла, когаш билина а ца Ӏаш, сан куьйгаш а, корта а билахь!»</verse>
				<verse number="10">Ӏийсас элира цуьнга: «Лийчиначун ши ког бен била ца оьшу, хӀунда аьлча иза верриг а цӀена ву. Шу а цӀена ду, дерриш дацахь а».</verse>
				<verse number="11">Ӏийсана-м вевзара Шена ямартло ен верг. Цундела элира Цо: «Шу дерриш цӀена дацахь а», — аьлла.</verse>
				<verse number="12">Мурдийн когаш билина а ваьлла, Шен бедар схьа а эцна, Ӏийса юха а Шен метте дӀатевжира. Ткъа мурдашка Цо элира: «Хаьий те шуна Ас шайна динарг хӀун ду?</verse>
				<verse number="13">Аша Сох „Устаз“ а, „Веза Эла“ а олу, иза нийса олу аша, Со Иза ван а ву.</verse>
				<verse number="14">Иштта, шун Веза Эла а, Устаз а воллушехь, Аса а шун когаш билча, аша а била беза вовшийн когаш.</verse>
				<verse number="15">Аса масал гайтира шуна. ХӀинца Ас шайна диннарг шуьга вовшашна а дайтархьама.</verse>
				<verse number="16">Баккъалла а боху Ас шуьга: „Ялхо шен олахочул лакхара вац. Иштта вахийтинарг а ша ваийтинчул лакхара вац“.</verse>
				<verse number="17">Иза шуна хаа а хаахь, и аша кхочуш а дахь, декъала хир ду шу.</verse>
				<verse number="18">Шух массарах лаьцна ца боху Ас иза. Суна бевза Айса хаьржинарш. Амма кхочушхила деза Делан Йозанаш тӀехь яздина долу: „Соьца бепиг дууш волчо Суна тӀе куьг айина“, — боху дешнаш.</verse>
				<verse number="19">ХӀинца хьалххе дӀахоуьйту Ас шуьга хиндерг, иза кхочушхилале, тӀаккха и кхочушхилла даьлча, Со Со Верг хиларх шу тешийта.</verse>
				<verse number="20">Баккъалла боху Ас шуьга: Ас Вохуьйтург тӀеоьцуш волчо Со тӀеоьцу, ткъа Со тӀеоьцучо Со Ваийтинарг а тӀеоьцу».</verse>
				<verse number="21">И къамел дича, Ӏийсан са бӀарзделлера. Цо, тоьшалла деш, элира: «Бакъдерг боху Ас шуьга, шух цхьаммо ямартло йийр ю Суна».</verse>
				<verse number="22">ТӀаккха мурдаш, цецбевлла, вовшашка хьоьжура, Цо хьанах лаьцна боху ца кхеташ.</verse>
				<verse number="23">Мурдех Ӏийсана къаьсттина везаш волу цхьаъ Цуьнан некха тӀе тевжина Ӏаш вара.</verse>
				<verse number="24">Оцу мурде ШамӀа-Кипас хичаш йира, и Цо вуьйцург мила ву те, Ӏийсага хаттахь аьлла.</verse>
				<verse number="25">Оцу мурдо, Ӏийсан некха тӀе корта а биллина, хаьттира Цуьнга: «Веза Эла! Мила ву иза?» — аьлла.</verse>
				<verse number="26">Ӏийсас жоп делира: «Аса хӀара баьпкан юьхк, кеда чу а Ӏоьттина, дӀакховдон ерг ву». ТӀаккха Ӏийсас баьпкан юьхк, кеда чу а Ӏоьттина, ШамӀа-Искархочун кӀанте ЯхӀуде дӀакховдийра.</verse>
				<verse number="27">ЯхӀуда и баьпкан юьхк схьа-ма-ийцци, цу сахьттехь, цунна чу иблис дуьйлира. ТӀаккха Ӏийсас элира ЯхӀуде: «И хьо дан воллург сихха дей вала».</verse>
				<verse number="28">Амма Ӏийсана юххехь дӀатевжина Ӏаш болчех цхьа а ца кхийтира, Ӏийсас стенах лаьцна боху цуьнга.</verse>
				<verse number="29">ЯхӀудехь ахча долу тӀоьрмаг хиларна, царах цхьаболчарна моьттира, Ӏийсас цуьнга: «Дезачу денна вайна оьшург эца», — я: «Мискачарна сагӀа ло», — боху.</verse>
				<verse number="30">Ткъа ЯхӀуд, и баьпкан юьхк схьа а эцна, цу сахьтехь аравелира. Арахь буьйса яра.</verse>
				<verse number="31">Иштта, ЯхӀуд араваьлча, Ӏийсас элира: «ХӀинца Адамийн КӀентан сийлалла а гучуели, ткъа Делан сийлалла Цуьнгахула гучуяьккхи.</verse>
				<verse number="32">Нагахь Делан сийлалла Цуьнгахула гучуяьккхича, тӀаккха Дала а Шегахула Адамийн КӀентан сийлалла гучуйоккху. Кестта Дала Цуьнан сийлалла гучуйоккхур ю.</verse>
				<verse number="33">Бераш! ХӀокхул тӀаьхьа кхин дукха хир вац Со шуьца. Лоьхур ву аша Со. Амма Ас динан куьйгалхошка ма-аллара: „Со воьдучу шун догӀийла яц“, иштта хӀинца шуьга а боху Ас изза.</verse>
				<verse number="34">ХӀинца керла гӀуллакх тӀедуьллу Ас шуна: вовшийн дезаш хила. Суна шу ма-деззара, иштта шуна а дезийла вовшийн.</verse>
				<verse number="35">Нагахь шун вовшашка безам хилахь, тӀаккха хуур ду массарна а шу Сан мурдаш хилар».</verse>
				<verse number="36">ШамӀа-Кипас хаьттира Ӏийсага: «Веза Эла! Хьо стенга воьду?» Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Со воьдучу цкъа хӀинца валур вац хьо, амма тӀаьхьо вогӀур ву хьо Суна тӀаьххье».</verse>
				<verse number="37">Кипас хаьттира Ӏийсага: «Сан йиш хӀунда яц те хӀинцца Хьуна тӀаьхьа ван? Сайн са а дӀалур ду-кх ас Хьан дуьхьа».</verse>
				<verse number="38">Ӏийсас жоп делира: «Хьайн са а дӀалур ду боху ахь Сан дуьхьа? Бакъдерг боху Ас хьоьга: „НӀаьна кхайкха а кхайкхале, кхузза Сох дӀакъаьстар ву хьо“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="14">
				<verse number="1">«Сингаттаме ма хуьлийла шун дегнаш. Делах а тешалаш, Сох а теша.</verse>
				<verse number="2">Сан Ден цӀахь дуккха ю чоьнаш. Со шуна меттиг кечъян воьду. Иза иштта дацахьара, Ас и эр дацара шуьга.</verse>
				<verse number="3">Аса, ваха а вахана, шуна меттиг кечйина яьлча, тӀаккха юха а веана, Со волчу дӀадуьгур ду шу, шу а Со волччохь хилийтархьама.</verse>
				<verse number="4">Со воьдучу метте болу некъ а бевза шуна».</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха ТӀамас элира Цуьнга: «Веза Эла, тхуна-м ца хаьа, Хьо стенга воьду, тхуна муха бевзар бу и некъ?»</verse>
				<verse number="6">Цунна дуьхьал Ӏийсас элира: «Со бу шуна некъ а, билггал долу бакъдерг а, дахар а. Цхьа а ца воьду Дена тӀе, Соьгахула бен.</verse>
				<verse number="7">Шуна Со вевзахьара, Сан Да а вевзар вара шуна. Ткъа хӀинца дуьйна дӀа Иза вовза а вевзина, ган а гина шуна».</verse>
				<verse number="8">Пилапа элира Ӏийсага: «Веза Эла, гайтахьа тхуна Да, иза тоьар дара-кх тхуна тӀаккха».</verse>
				<verse number="9">Ӏийсас элира цуьнга дуьхьал: «Оццул дукха хенахь дуьйна ву Со шуьца, ткъа хӀинца а ца вевза хьуна Со, Пилап? Со гиначунна Да а гина, ткъа ахьа и муха боху: „Гайтахьа тхуна Да“?</verse>
				<verse number="10">Ткъа хьо ца теша, Со Деца хиларх а, Да Соьца хиларх а? Аса шуьга олу дешнаш Соьгара дац. Соьца хуьлуш волчу Сан Дас деш ду и Шен гӀуллакхаш.</verse>
				<verse number="11">Тешалаш Сох, Со Деца хиларх а, Да Соьца хиларх а. Ткъа шу цунах ца тешахь, Ас дечу гӀуллакхашкахула мукъана а теша Сох.</verse>
				<verse number="12">Бакъдерг боху Ас шуьга: и Ас дийриг Сох тешачуьнга а далур ду. Кхин а сов гӀуллакхаш далур ду цуьнга, хӀунда аьлча Со Сайн Да волчу воьду.</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха аша Сан цӀарах деххнарг Ас кхочушдийр ду, Ден сийлалла Цуьнан КӀантехула гучуяккхархьама.</verse>
				<verse number="14">Ткъа аша хӀуъа а Сан цӀарах дехахь, Ас кхочушдийр ду иза».</verse>
				<verse number="15">«Нагахь шуна Со везахь, Ас шайна тӀедиллина гӀуллакхаш а кхочушде аша.</verse>
				<verse number="16">Ткъа Аса Дега доьхур ду, тӀаккха Цо кхин „гӀо Дийриг“ лур ву шуна, Иза абаде кхаччалц шуьца хилийта.</verse>
				<verse number="17">Билггал бакъдерг гойту Са лур ду шуна, дуьнене тӀеэцалур доцу, шена Иза ган а ца го дела а, И довза а ца девза дела а. Ткъа шуна девза Иза, И шуьца долу дела а, шуна чохь И хир долу дела а.</verse>
				<verse number="18">Байлахь дуьтур дац Ас шу. ВогӀур ву Со шу долчу.</verse>
				<verse number="19">Кестта дуьненна гур вац Со, амма шуна гур ву Со. Соьца дахар хиларна, шу а дехар ду.</verse>
				<verse number="20">Цу дийнахь хуур ду шуна Со Сайн Деца хилар а, шу Соьца хилар а, Со а шуьца хилар а.</verse>
				<verse number="21">Ас тӀедиллина гӀуллакхаш тӀе а оьцуш, уьш кхочушдеш верг ву Со везарг. Ткъа Со везнарг Сан Дена а везар ву. Суна а везар ву иза, Аса Со гойтур ву цунна».</verse>
				<verse number="22">Искархо а воцуш, кхечу ЯхӀуда элира Ӏийсага: «Веза Эла! И хӀун ду? Хьо тхуна хӀунда гайта воллу Хьо, дуьненна а ца гойтуш?»</verse>
				<verse number="23">Ӏийсас элира цуьнга: «Нагахь стагана Со везахь, цо Сан дош лардийр ду. Сан Дена иза везар ву, ткъа Вай и волчу а гӀур ду, ваьшна хӀусам а йийр ю цигахь.</verse>
				<verse number="24">Со ца везачо Сан дешнаш а тӀе ца оьцу. Ткъа шуна хезаш долу дош Сан дац. Иза Со ваийтинчу Ден ду.</verse>
				<verse number="25">ХӀара Ас дийцира шуьга, Со шуьца а волуш.</verse>
				<verse number="26">Ткъа шуна гӀо Дийриг, Шен Са, доуьйтур ду Сан Дас. Сан дуьхьа доуьйтур долчу цу Делан Сино хьоьхур ду шуна массо хӀума а. Ас шуьга мел дийцинарг дага а доуьйтур ду Цо шуна.</verse>
				<verse number="27">Машар буьту Ас шуна, Сайн машар ло Ас шуна. Дуьнено ца луччу тайпана, машар ло Ас шуна. Синтем боцуш ма хуьлийла шун дегнаш, кхера а ма лойла уьш.</verse>
				<verse number="28">Шуна хезира-кх Ас шуьга аьлларг: „Со дӀавоьду, юха а вогӀур ву Со шу долчу“. Со шайна везахьара, хазахетар дара шуна Со Дена тӀевоьдуш хилар, Сан Да Сол лакхара волу дела.</verse>
				<verse number="29">ХӀинца, хьалххе, и хилале, дӀахоуьйту Ас шуьга, тӀаьхьа и кхочушхилла даьлча, шу тешийтархьама.</verse>
				<verse number="30">Кхин деха дийр дац Ас шуьца къамел, хӀунда аьлча кху дуьненан эла схьавогӀу, ткъа цуьнан Суна тӀехь олалла дац.</verse>
				<verse number="31">Амма дуьненна а Суна Сайн Да везий хаийта, Сайна тӀедехкина гӀуллакхаш, Цо ма-бохху, кхочуш до Ас. ХьалагӀовтта. Кхузара дӀадоьлху вай».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="15">
				<verse number="1">«Со кемсийн бакъйолу таьлланг ю, ткъа Сан Да кемсийн беш Лелорхо ву.</verse>
				<verse number="2">Муьлхха а стом ца луш долу Сан га Цо дӀахададо. Ткъа стом луш долу муьлхха а га цӀандо, алссам стоьмаш хилийта.</verse>
				<verse number="3">Ас шуна хьехначу дашехула хӀинца шу цӀена ду.</verse>
				<verse number="4">Шу Соьца хила, ткъа Со Шуьца хир ву. Гаьнно, ша таьлланг тӀехь ца хилча, ша-шегара стом ца кхиоре терра, иштта шу а хир ду, шу Соьца ца хилча.</verse>
				<verse number="5">Со кемсийн таьлланг ю, ткъа шу гаьннаш ду. Муьлххачо а ша Соьца волчо а, Со шеца волчо а шортта стоьмаш кхиор бу. Со воцуш шуьга хӀумма а далур дац.</verse>
				<verse number="6">Милла а Соьца воцург кхоьссина дӀа а вохуьйту, и га санна, иза вакъа а ло. ТӀаккха и гаьннаш, гулдина, цӀерга кхуьссу. Уьш цӀергахь догу.</verse>
				<verse number="7">Нагахь шу Соьца а хилахь, Сан дешнаш шуьца а хилахь, шайна луъург дерриге а деха, иза хир ду шуна.</verse>
				<verse number="8">Шортта стом а луш, шу Сан мурдаш хилча, Сан Ден сийлалла гучуйолу.</verse>
				<verse number="9">Сан Дена Со везаре терра, Суна шу а дезна. Хуьлийла шу а Сан безамехь.</verse>
				<verse number="10">Аса шайна тӀедехкинарш аша кхочушдеш хилча, Сан безамехь хир ду шу, Сан Ден безамехь Со хиларе терра, Аса а Сайн Дас тӀедехкинарш нийсса кхочушдина дела.</verse>
				<verse number="11">ХӀара элира Ас шуьга, Сайн хазахетар шуна чохь хилийтархьама а, и шун хазахетар дуьззина хилийтархьама а.</verse>
				<verse number="12">ХӀара ду Ас шуна тӀедуьллург: „Дезийла шуна вовшийн, Суна шу дезадаларе терра“.</verse>
				<verse number="13">Шен доттагӀашна хьалхара шен са а дӀадаллал болчу безамал сов безам цхьанна а хир бац.</verse>
				<verse number="14">Шу Сан доттагӀий ду, нагахь аша Ас тӀедиллина гӀуллакх кхочушдахь.</verse>
				<verse number="15">ХӀинца ца олу Ас шух ялхой, хӀунда аьлча ялхочунна шен олахочо дийриг ца хаьа. Амма шух Ас доттагӀий аьлла, Сайн Дегара хезнарг дерриге а Ас шуьга дӀахаийтина дела.</verse>
				<verse number="16">Аша Со ца хаьржина, амма Ас, харжа а хаьржина, дӀахӀиттийна шу. Ас шу къобалдина, шу дахханчохь, шуьга лаьттан стоьмаш кхиадайта. ТӀаккха аш Сан цӀарах хӀуъа а Сан Дега деххнарг Цо шуна лур ду.</verse>
				<verse number="17">Ткъа хӀара тӀедуьллу Ас шуна: вовшийн дезалаш».</verse>
				<verse number="18">«Дуьненна шаьш ца дезалахь, хаалаш, шул хьалха Со а дуьненна ца везна хилар.</verse>
				<verse number="19">Шу кху дуьненара делахьара, цу дуьненна шу, шайнаш санна, дезар дара. Амма шу кху дуьненан долахь дац. Ас шу дуьненна юккъера схьахаьржина долу дела, ца деза шу дуьненна.</verse>
				<verse number="20">Дагахь латтаделаш Аса шайга аьлла дош: „Ялхо шен олахочул лакхара вац“. Нагахь Соьга халонаш хьегийтинехь, шуьга а хьоьгуьйтур ю. Нагахь Сан дош нийсса кхочушдеш хиллехь, шун дош а кхочушдийр ду.</verse>
				<verse number="21">И дерриг а дийр ду шуна Сан цӀе бахьана долуш, хӀунда аьлча Со Ваийтинарг царна ца вевза.</verse>
				<verse number="22">Нагахь Аса, веана, цаьрга ца дийцинехьара, уьш шайн къиношна бехке хир бацара. ХӀинца шайн къиношна уьш бехказа бац.</verse>
				<verse number="23">Со ца везачунна Сан Да а ца веза.</verse>
				<verse number="24">Нагахь Ас кхин цхьаммо а дина доцу гӀуллакхаш царна юкъахь ца динехьара, тӀаккха царна тӀехь къа а хир дацара. Ткъа хӀинца, и гӀуллакхаш шайна гина доллушехь, ца вийзира царна Со а, Сан Да а.</verse>
				<verse number="25">Амма иза хилира, церан товрат-хьехамаш тӀехь яздинарг кхочушхилийта: „Со ца веза бахьана дацара церан“.</verse>
				<verse number="26">Ас воуьйтур ву шуна Сайн Дегара гӀо Дийриг — Дегара схьадолу бакъдерг гойту Са доуьйтур ду шуна. Цо, деача, тоьшалла дийр ду Сох.</verse>
				<verse number="27">Ткъа шаьш юьххьехь дуьйна а Соьца хиларна, аша а тоьшалла дийр ду Сох».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="16">
				<verse number="1">«ХӀара элира Ас шуьга, шу тешар тӀера юха ца довлийтархьама.</verse>
				<verse number="2">Гуламан цӀенойх дӀакъастор ду шу. Цул сов, тӀекхочуш ю и зама, муьлххачунна а, шух цхьаъ ша вийча, ша Далла гӀуллакх до моьттуш.</verse>
				<verse number="3">И гӀуллакхаш лелор ду цара, шайна я Да а, я Со а ца вевзина дела.</verse>
				<verse number="4">ХӀара элира Ас шуьга, и зама тӀееача, шуна дагадаийтархьама оцу дерригенах лаьцна Ас шайга аьлларг». «ХӀинццалц ца аьллера Ас шуьга иза, Со шуьца цхьаьна хилла дела.</verse>
				<verse number="5">Ткъа хӀинца Со Ваийтинчунна тӀевоьду Со. Шух цхьаммо а ца хотту Соьга: „Хьо стенга воьду?“</verse>
				<verse number="6">Амма Аса шайга и дӀахаийтарна, шун дегнаш гӀайгӀанах дуьзна ду.</verse>
				<verse number="7">Ткъа Аса бакъдерг боху шуьга: „Со дӀавахар гӀоле ю шуна“. Нагахь Со дӀа ца вахча, шуна гӀо Дийриг вогӀур вац, ткъа Со дӀавахча, воуьйтур ву Ас Иза шуна.</verse>
				<verse number="8">Ша веача, Цо гучудоккхур ду дуьненна цуьнан къинойх а, бакъонцалеларх а, кхелах а лаьцна йолчу агӀор дуьне тиладалар.</verse>
				<verse number="9">Цо гойтур ду дуьнено Сох цатешарна латийна къа.</verse>
				<verse number="10">ТӀаккха Цо гойтур ду дуьне бакъонца цалелар, хӀунда аьлча Со Дена тӀе гӀур ву. Со кхин гур вац шуна.</verse>
				<verse number="11">Ткъа цу Делан Сино гойтур ду Делан кхелах лаьцна дуьне тиладелла хилар, хӀунда аьлча кху дуьненан элана кхел йина.</verse>
				<verse number="12">Кхин дуккха а дара Сан шуьга ала, амма цкъа хӀинца кхетар дац шу.</verse>
				<verse number="13">Ткъа и бакъдерг гойтуш долу Са схьадеача, Цо билггал бакъболчу новкъа дохур ду шу, хӀунда аьлча Цо Шегара бохур дац, амма Шена хезнарг дуьйцур ду, тӀейогӀучу хенахь хиндерг хоуьйтур ду Цо шуна.</verse>
				<verse number="14">Цо Сан сийлалла ойур ю, хӀунда аьлча Соьгарчух дӀа а эцна, Цо довзуьйтур ду шуна иза.</verse>
				<verse number="15">Ден мел долу хӀума а Сан ду. Цундела элира Ас, Цо, Соьгарчух дӀа а эцна, шуна довзуьйтур ду иза аьлла».</verse>
				<verse number="16">«Кестта Со гур вац шуна. ТӀаккха юха а кестта гур ву шуна Со».</verse>
				<verse number="17">ТӀаккха цхьаболчу мурдаша вовшашка элира: «И хӀун ду те Цо вайга бохург: „Кестта Со гур вац шуна, юха а кестта Со гур ву шуна?“ Кхин а: „Со Сайн Да волчу воьду“?»</verse>
				<verse number="18">Иштта цара бохура: «И хӀун ду те Кхо бохург: „Кестта“? Ца кхета-кх вай Кхо бохучух».</verse>
				<verse number="19">Ткъа Ӏийса кхийтира, Шега уьш хӀун хатта лууш бу. ТӀаккха Цо мурдашка элира: «Ас шайга аьлларг хӀун ду те бохуш, вовшашка хоьттуш ду шу: „Кестта Со гур вац шуна, тӀаккха юха а кестта гур ву шуна“?</verse>
				<verse number="20">Баккъалла боху Ас шуьга: Шу узарш деш а, доьлхуш а хир ду, ткъа дуьненна хазахетар ду. Шу халахетта хир ду, амма шун халахетар хазахетаре доьрзур ду.</verse>
				<verse number="21">Бер деш йолу зуда хуьлу гӀайгӀане, шен бер до хан тӀекхаьчна дела, ткъа шен бер хилла даьлча, хазахетарна и гӀайгӀа йицло цунна, ша адам дуьнен чу даккхарна.</verse>
				<verse number="22">Иштта шу а хӀинца гӀайгӀане ду, амма Суна юха гур ду шу, тӀаккха хазахетар хир ду шун дегнашна. И шун хазахетар цхьаммо а дӀадоккхур дац шуьгара.</verse>
				<verse number="23">ТӀаккха цу дийнахь хӀумма а хоттур дац аша Соьга. Баккъалла боху Ас шуьга: нагахь Сан цӀарах цхьа хӀума аша Дега дехахь, лур ду Цо шуна.</verse>
				<verse number="24">ХӀинццалц хӀумма а ца дехнера аша Сан цӀарах. Ткъа хӀинца деха, лур ду шуна, шун хазахетар дуьззина хилийтархьама».</verse>
				<verse number="25">«ХӀара кицанашца элира Ас шуьга. Амма тӀейогӀуш ю и зама, Ас шуьга кхин кицанашца а ца дуьйцуш, ма-дарра Сайн Дех лаьцна шуна дӀакхайкхош.</verse>
				<verse number="26">Цу дийнахь шаьш доьхур ду аша Сан цӀарах. Ас ца боху шуьга, шун метта Ас деха дезар ду Дега.</verse>
				<verse number="27">ХӀунда аьлча Дена Шена а деза шу, шуна Со везна дела а, Со Дех схьаваьлла хиларх шу тешна дела а.</verse>
				<verse number="28">Дех схьа а ваьлла, дуьнен чу веанера Со, ткъа хӀинца, юха а хӀара дуьне дитина, Дена тӀевоьду Со».</verse>
				<verse number="29">ТӀаккха Ӏийсан мурдаша элира: «ХӀаъ, хӀинца-м тхо кхетадеш схьабоху Ахь тхоьга, кицанашца а ца дуьйцуш.</verse>
				<verse number="30">ХӀинца кхета тхо Хьуна дерриг хаьий, цхьаммо хаттарш а дале, уьш Хьуна девзий. Цундела теша тхо Хьо Делера схьаваьлла хиларх».</verse>
				<verse number="31">Ӏийсас жоп делира царна: «ХӀинца теша шу?</verse>
				<verse number="32">Ткъа хӀинца тӀекхоччуш лаьтта, тӀекхаьчна а даьлла и сахьт, шу дерриш а дӀаса а даьржина, хӀора а шайн-шайн цӀа а вирзина, Со цхьа а вуьтуш. Амма Со цхьа вац, Соьца Сан Да волу дела.</verse>
				<verse number="33">ХӀара элира Ас шуьга, Соьгахула шун машар хилийтархьама. Дуьненахь гӀайгӀа хир ю шун, амма доьналла долуш хилалаш! Со тоьлла дуьненал».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="17">
				<verse number="1">И дешнаш а аьлла, Шен бӀаьргаш стигала хьала а хьажийна, Ӏийсас элира: «Дада! ТӀедеана и сахьт. Гайтахьа Хьайн КӀентан сийлалла, Цуьнга а Хьайн сийлалла гайтийта.</verse>
				<verse number="2">ХӀунда аьлча массо а адамна тӀехь олалла дан бакъо елла Ахь Цунна, Ахьа Шена беллачарна массарна а Хьо волчохь хедар доцу дахар Цуьнга далийтархьама.</verse>
				<verse number="3">Ткъа Хьо волчохь хедар доцу дахар бохург ду: цхьаъ бен воцу бакъволу Дела волу Хьо а, Ахьа дуьнен чу вахийтина волу Айхьа леррина къобалвина волу Ӏийса а вовзар.</verse>
				<verse number="4">Ахьа Сайна тӀедиллина гӀуллакх кхочуш а дина, кху лаьттахь Хьан сийлалла гайти Ас.</verse>
				<verse number="5">Ткъа хӀинца, Дада, Ахьа сийлахьвехьа Со Хьайна хьалха, дуьне кхоллале дуьйна а, Хьо волчохь Сан хилла долчу сийлаллица.</verse>
				<verse number="6">Ахьа кху дуьнен чохь Сайна делла долчу адамашна, гучуяьккхира Ас Хьан цӀе. Уьш Хьан дара, ткъа Ахьа Суна деллера уьш. Цара Хьан дош лардира.</verse>
				<verse number="7">Ткъа хӀинца хаьа царна дерриг Ахь Суна делларг Хьоьгара хилар.</verse>
				<verse number="8">И Ахь Суна делла дешнаш Ас цаьрга дӀаделла. Ткъа цара и дешнаш тӀеийцира. Уьш кхийтира, баккъал а Со Хьох схьаваьллий. Уьш тийшира Со Ахьа вахийтина хиларх.</verse>
				<verse number="9">Ас доьху Хьоьга царна тӀера. Ас ца доьху дуьненарчу дерриге а адамашна тӀера, амма Ахь Суна деллачарна тӀера, уьш Хьан долу дела.</verse>
				<verse number="10">Сан мел дерг Хьан ду, ткъа Хьайниг Сан ду. Цаьргахула Сан сийлалла гучуяьлла.</verse>
				<verse number="11">Со хӀинца дуьйна кху дуьненахь хир вац, амма уьш дуьненахь бу. Ткъа Со Хьо волчу вогӀу. Веза Дада! И Айхьа Суна белларш Хьайн цӀеран олаллица Ӏалашбехьа, Ахьа Суна белла болу уьш а, Вайшиъ санна, цхьаалла йолуш хилийтархьама.</verse>
				<verse number="12">Со цаьрца дуьнен чохь волчу хенахь, Ахьа Суна деллачу Хьан цӀеран олаллица Ас уьш Ӏалашбира. Царах цхьа а Ас ца вайира, хӀаллакьхила везаш волу стаг воцург, Делан Йозанаш тӀехь дерг кхочушхилийтархьама.</verse>
				<verse number="13">Ткъа хӀинца Хьуна тӀевогӀу Со. Амма хӀара Ас хӀинца Со дуьненахь волуш боху, Сан хазахетар ма-дарра, церан дегнаш чохь иза дуьззина хилийтархьама.</verse>
				<verse number="14">Ас Хьан дош царна деара, амма дуьненна и адамаш ца дийзира, уьш, Со санна, кху дуьненара доцу дела.</verse>
				<verse number="15">Ас ца доьху Ахь и нах кху дуьненара дӀаэцар, амма доьху Ахь уьш вонах ларбар.</verse>
				<verse number="16">Уьш а, Со санна, кху дуьненах бац.</verse>
				<verse number="17">Хьайн билггал долчу бакъдолчуьнца уьш Хьайн дола бахахьа. Хьан дош ду бакъдерг.</verse>
				<verse number="18">Ахьа Со дуьнен чу ваийтаре терра, Ас уьш а хьажабо дуьнен чу.</verse>
				<verse number="19">Аса церан дуьхьа Со дӀало Хьан дола, уьш а бакъдолчуьнца Хьан дола бахийтархьама.</verse>
				<verse number="20">Ас доьху Хьоьга, деккъа церан дуьхьа а доцуш, амма церан дешнашкахула Сох тешар долчеран дуьхьа а.</verse>
				<verse number="21">Ас доьху уьш берриш цхьаъ хилийта. Хьо, Сан Дада, Соьца а, Со Хьоьца а санна, уьш а Вайца хилийтахь, Со Ахь ваийтина хиларх дуьне тешийтархьама.</verse>
				<verse number="22">Ахь Суна делла долу сийлалла Ас царна а делла, уьш а, Вайшиъ санна, цхьаъ хилийтархьама.</verse>
				<verse number="23">Со цаьрца а, Хьо Соьца а санна, хуьлийла уьш а кхоччуш цхьаалла йолуш, дуьне тешийтархьама Ахьа Со вахийтина хиларх а, Со санна, Хьуна уьш безна хиларх а.</verse>
				<verse number="24">Дада! И Ахь Суна белларш Со волчохь Соьца хила лаьара Суна. Царна а ган лаьа Суна Ахь делла долу сийлалла, хӀунда аьлча Хьуна Со дуьне кхоллале дуьйна а везнера.</verse>
				<verse number="25">Бакъволу Дада! Дуьненна ца вевзира Хьо, ткъа Суна вевза Хьо. Ахьа къастийначарна а хиира Ахь Со ваийтина хилар.</verse>
				<verse number="26">Аса гучуяьккхира царна Хьан цӀе, хӀинца чул тӀаьхьа а гучуйоккхур ю, Хьан Соьга боллу безам церан хилийта а, Со цаьрца хилийта а».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="18">
				<verse number="1">Шен доӀа дина а ваьлла, Ӏийса Шен мурдашца Кхидрун-хин тогӀина дуьхьал агӀор йолчу беша дӀаволавелира. Цу беша бевлира Ӏийса а, Цуьнан мурдаш а.</verse>
				<verse number="2">Ткъа Ӏийсана ямартло еш волчу ЯхӀудана а евзара и меттиг, хӀунда аьлча Ӏийса а, Цуьнан мурдаш а кест-кестта гуллора цигахь.</verse>
				<verse number="3">Иштта ЯхӀуд а веара цига, шеца римхойн тӀемалойн тоба а, динан коьртачу дайша а, парушхоша а хьовсийна гӀаролхой а балош. Церан карахь стогарш а, цӀераш латийна хаьштигаш а, герз а дара.</verse>
				<verse number="4">Ткъа хьалххе дуьйна а Шех хин дерг хууш волчу Ӏийсас, хьалха а ваьлла, элира цаьрга: «Аша мила лоьху?»</verse>
				<verse number="5">Цунна жоп делира: «Назартера Ӏийса лоьху», — аьлла. ТӀаккха Ӏийсас элира: «Со ву-кх Иза». Ткъа баьхкинчаьрца лаьтташ Ӏийсана ямартло еш волу ЯхӀуд вара.</verse>
				<verse number="6">Ӏийсас «Со ву Иза» аьлча, уьш берриш, юха а бевлла, лаьтта охьаийгира.</verse>
				<verse number="7">ТӀаккха Ӏийсас юха а хаьттира цаьрга: «Аша мила лоьху?» Цара жоп делира: «Назартера Ӏийса», — аьлла.</verse>
				<verse number="8">Ткъа Ӏийсас элира: «Ас элира шуьга, Со ву И, аьлла. Нагахь аша Со лехахь, хӀорш, Ӏадбитий, дӀабахийта».</verse>
				<verse number="9">Иштта кхочушхилира Ӏийсас аьлла дешнаш: «Ахь Суна беллачех Ас цхьа а ца вайина».</verse>
				<verse number="10">ТӀаккха шегахь тур долчу ШамӀа-Кипас, иза баттара а даьккхина, динан коьртачу ден ялхочунна тур а тоьхна, цуьнан аьтту лерг тӀерадаьккхира. Оцу ялхочун цӀе Малх яра.</verse>
				<verse number="11">Ӏийсас Кипе элира: «Батта чу дилла хьайн тур. Сайн Дас мала аьлла белла баланийн кад ца молуш Ӏийр вара ткъа Со?»</verse>
				<verse number="12">Цул тӀаьхьа тӀемалоша а, церан коьртачу хьаькамо а, динан куьйгалхоша схьабахкийтинчу гӀаролхоша а Ӏийса, схьа а лаьцна, дӀавихкира.</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха Ӏаннина тӀевигира цара Ӏийса, Ӏанна цу шарахь динан коьрта да волчу Кайбан стунда хиларна.</verse>
				<verse number="14">Ткъа Кайба вара динан куьйгалхошка, халкъан дуьхьа цхьа стаг валар гӀоле ю аьлла, хьехам бинарг.</verse>
				<verse number="15">Ӏийсана тӀаьхьахӀоьттина воьдуш вара ШамӀа-Кипа а, кхин цхьа мурд а. И мурд динан коьртачу дена вевзаш вара, цундела иза Ӏийсаца цхьаьна динан коьртачу ден керта чу велира.</verse>
				<verse number="16">Ткъа Кипа кертан кевнал арахьа лаьтташ вара. ТӀаккха оцу динан коьртачу дена вевзаш волчу вукху мурдо, ара а ваьлла, кертан кевнехь гӀарол дечу зудчуьнга а аьлла, Кипа чоьхьа ваьккхира.</verse>
				<verse number="17">ТӀаккха оцу кевнехь лаьттачу зуда-ялхочо Кипе элира: «Хьо а вац хӀокху Стеган мурдех?» Кипас элира: «Вац».</verse>
				<verse number="18">Цигахь шийла хиларна, кӀора багош, бохлуш лаьтташ леш а, гӀаролхой а бара. Цаьрца вохлуш лаьтташ Кипа а вара.</verse>
				<verse number="19">Динан коьртачу дас мурдех а, Цо бечу хьехамех а лаьцна хаьттира Ӏийсага.</verse>
				<verse number="20">Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Аса, хьул ца деш, дерриг дӀадийцира дуьнене. Гуттара а гуламан цӀеношкахь я Делан цӀа чохь, вайн массо нах гуллучохь, хьехамаш бора Аса. Аса къайлаха хӀумма а ца дуьйцура.</verse>
				<verse number="21">Ахьа Соьга хӀунда хоьтту и? Хезначаьрга хатта, Аса шайга хӀун дуьйцура. Царна хаьа хьуна, Аса хӀун аьлла».</verse>
				<verse number="22">Ӏийсас и аьлча, юххехьа лаьттачу гӀаролхочо, Ӏийсан юьхь тӀе тӀара а тоьхна, элира Цуьнга: «Иштта жоп лур дара Ахьа динан коьртачу дега?»</verse>
				<verse number="23">Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Ас цхьа хӀума нийса ца аьллехь, схьаала, иза иштта дац аьлла. Аса нийса аьллехь, Суна хӀунда етта ахь?»</verse>
				<verse number="24">ТӀаккха Ӏийса, вихкина а волуш, динан коьрта да волчу Кайбана тӀехьажийра Ӏаннас.</verse>
				<verse number="25">Ткъа ШамӀа-Кипа хӀинца а вохлуш лаьтташ вара. ТӀаккха элира цуьнга: «Хьо-м вац те Цуьнан мурдех?» «Вац», — аьлла, дӀахадийра Кипас.</verse>
				<verse number="26">Кипас лерг даьккхинчун гергара волчу, динан коьртачу ден ялхойх цхьаммо элира: «Хьо вацара Цуьнца цхьаьна бешахь суна гинарг?»</verse>
				<verse number="27">Иштта Кипас юха а элира: «Вацара». Ткъа цу сохьта нӀаьна кхайкхира.</verse>
				<verse number="28">Иштта Кайба волчуьра римхойн урхалхочун гӀишлона чу вигира Ӏийса. Цу хенахь Ӏуьйре яра. Динан куьйгалхой шаьш гӀишлона чу ца бевлира, Далла хьалха сийсаз ца бовла, шайн Пасахьан суьйренан пхьор даархьама.</verse>
				<verse number="29">ГӀишло чуьра араваьллачу Пулата динан куьйгалхошка хаьттира: «Кху стагана дуьхьал баккха хӀун бехк балабо аша?»</verse>
				<verse number="30">Цара, жоп луш, элира: «Цо зулам ца динехьара, хьан кара дӀавелла хир вацара оха Иза».</verse>
				<verse number="31">ТӀаккха Пулата элира цаьрга: «Аша, Иза дӀа а эций, шайн Ӏедало ма-бохху, кхел е Цунна». Динан куьйгалхоша элира: «Тхуна цхьанна а веран кхел яр кхочушдан ца магадо».</verse>
				<verse number="32">Иза хилира Ӏийсас Шен валар муха хир ду дӀахоуьйтуш аьлла долу дешнаш кхочушхилийтархьама.</verse>
				<verse number="33">ТӀаккха Пулата, юха а гӀишло чу а вахана, Ӏийса шена тӀе а кхайкхина, хаьттира Цуьнга: «Хьо жуьгтийн къоман Паччахь ву?»</verse>
				<verse number="34">Ӏийсас жоп делира: «Хьайгара боху те ахьа иза, я кхечара аьлла те хьоьга Сох лаьцна?»</verse>
				<verse number="35">Пулата, жоп луш, элира: «Жуьгти ву ткъа со? Хьан халкъо а, динан коьртачу дайша а схьавелла-кх Хьо сан кара. Ахь хӀун дина?»</verse>
				<verse number="36">Ӏийсас жоп делира: «Сан Пачхьалкх кху дуьненара яц. Нагахь Сан Пачхьалкх кху дуьненара елахьара, Сан ялхой, Со динан куьйгалхойн кара ца вахийта, Сан дуьхьа летар бара. Ткъа хӀинца Сан пачхьалкх кхузара яц».</verse>
				<verse number="37">ТӀаккха Пулата элира Ӏийсага: «Хетарехь, Хьо хӀетте а Паччахь ву-кх?» Ӏийсас жоп делира: «Ахь боху-кх Со Паччахь ву. Со кху дуьнен чу веана бакъдолчух тоьшалла дархьама. Муьлххачо а, ша билггал бакъдолчух волчо, ладугӀу Сан озе».</verse>
				<verse number="38">Цунна дуьхьал Пулата хаьттира: «Билггал бакъдерг хӀун ду?» Иза а аьлла, Пулат юха динан куьйгалхошна тӀевахара. Цо элира: «Цуьнан бехк болуш цхьа а хӀума ца го суна.</verse>
				<verse number="39">Пасахьан дийнахь гуттара а деш цхьа хӀума ма ду шун: тутмакхех цхьаъ паргӀатвоккхуьйтуш. Иштта, ас хӀара жуьгтийн къоман Паччахь дӀахеца лаьий шуна?»</verse>
				<verse number="40">Цара маьхьарий хьаькхира: «ХӀара ма хеца, Барраб схьахеца», — аьлла. Ткъа Барраб талорхо вара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="19">
				<verse number="1">ТӀаккха Пулата омра дира, Ӏийса дӀа а вигий, Цунна шодмаш етта аьлла.</verse>
				<verse number="2">Ткъа тӀемалоша, коканийн коьллех кочар а дуьйцина, иза Ӏийсан коьрта тӀе диллира. Ткъа Ӏийсана цӀен бос болу оба тӀекхоьллира.</verse>
				<verse number="3">Цул тӀаьхьа, Ӏийсана тӀе а хӀуьттуш, наха олура: «Декъала хуьлда жуьгтийн къоман Паччахь!» ТӀаккха цара Цуьнан юьхь тӀе еттара.</verse>
				<verse number="4">Юха а араваьлла, Пулата элира цаьрга: «ХӀинца аса аравоккху ХӀара шуна хьалха, сайна Кхуьнгара даьлла цхьа а бехк болу хӀума ца карийна аьлла, шуна хаийтархьама».</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха, коьрта тӀехь коьллех дуьйцина кочар а долуш, тӀе цӀен духар дуьйхина волу Ӏийса гӀишло чуьра аравелира. Пулата нахе элира: «ХӀара ву и Стаг».</verse>
				<verse number="6">Ӏийса шайна гича, динан коьртачу дайша а, гӀаролхоша а маьхьарий хьаькхира: «ЖӀарах дӀатоха Иза! ЖӀарах дӀатоха Иза!» — бохуш. ТӀаккха Пулата элира цаьрга: «Схьа а эций, шаьш дӀатоха Иза, хӀунда аьлча суна Цуьнгара баьлла цхьа а бехк ца го».</verse>
				<verse number="7">Ткъа динан куьйгалхоша элира Пулате: «Тхан товрат-хьехамаш бу, цу хьехамашца доьзча, Иза вала веза, Цо Ша Делан КӀант ву боху дела».</verse>
				<verse number="8">Пулатана и дешнаш хезча, иза кхин тӀе а кхеравелира.</verse>
				<verse number="9">Цо, юха а гӀалин гӀишло чу а ваьлла, Ӏийсага хаьттира: «Хьо мичара ву?» — аьлла. Ткъа Ӏийсас цуьнга жоп ца делира.</verse>
				<verse number="10">ТӀаккха Пулата элира Ӏийсага: «Соьга а эр дацара Ахьа? Ткъа Хьуна ца хаьа, сан карахь дуйла, сайна лаахь, Хьо дӀахеца а, сайна лаахь, Хьо жӀарах дӀатохийта а?»</verse>
				<verse number="11">Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Суна тӀехь цхьана а тайпана олалла хир дацара хьан, хьуна иза лакхара делла дацахьара. Ткъа цундела Со хьоьга дӀавеллачунна тӀехь кхин а сов къа ду».</verse>
				<verse number="12">Цу хенахь дуьйна Пулат Ӏийса дӀахеца бахьана лоьхуш вара. Амма наха, маьхьарий хьоькхуш, бохура: «Нагахь ахьа Иза дӀахецахь, хьо Рим-мехкан паччахьан доттагӀа вац. Муьлхха а шех паччахь веш верг Рим-мехкан паччахьан мостагӀа ву».</verse>
				<verse number="13">И дешнаш хезча, Пулат, Ӏийса ара а ваьккхина, Литхьасторта олучу, Ӏебархойн маттахь Габбата цӀе йолчу меттигехь кхел ян охьахиира.</verse>
				<verse number="14">И дерриге а пӀераскан дийнахь дара, Пасахьан деза де хила дезачу кӀирнах. Делкъахан а яра цу хенахь. ТӀаккха: «ХӀан, ХӀара ву шуна шун Паччахь!» — элира Пулата нахе.</verse>
				<verse number="15">ТӀаккха цара маьхьарий хьоькхура: «ДӀаваккха Иза! ДӀаваккха! ЖӀарах дӀатоха Иза!» — бохуш. Пулата элира цаьрга: «Ва шун Паччахь жӀарах дӀатоха веза ас?» Динан коьртачу дайша жоп делира: «Вац тхан кхин паччахь Рим-мехкан тхешан паччахь воцург».</verse>
				<verse number="16">ТӀаккха Пулата цаьрга дӀавелира Ӏийса, Иза жӀарах дӀатохийтархьама. Иштта Ӏийса, схьа а лаьцна, дӀавигира цара.</verse>
				<verse number="17">Ша бахьа беза жӀаран бӀогӀам ги а боьллина, «туьтанан меттиг» олучу меттиге дӀаволавелира Ӏийса (Ӏебархойн маттахь и меттиг «Галгатхьа» олуш ю).</verse>
				<verse number="18">Цигахь Ӏийса жӀарах дӀатуьйхира цара. Ӏийсаца цхьаьна кхин а ши стаг вара жӀарех дӀатоьхна, Ӏийса юккъехь а волуш, Цунна дехьа а, сехьа а агӀор.</verse>
				<verse number="19">Пулата, дечиган уьнан юьхкана тӀе йоза а яздина, иза жӀаран бӀогӀам тӀе дӀатохийтира. Цу тӀехь яздина дара: «Назартера Ӏийса, жуьгтийн къоман Паччахь».</verse>
				<verse number="20">И яздина дерг дукхах болчу наха дийшира, хӀунда аьлча Ӏийса жӀарах дӀатоьхна йолу и меттиг гӀалина генахь йоццуш яра. И яздинарг кхаа маттахь дара: жуьгтийн, римхойн, грекийн меттанашкахь.</verse>
				<verse number="21">Динан коьртачу дайша элира Пулате: «Иштта ма язде „Жуьгтийн къоман Паччахь“, — аьлла. Амма язде иштта: „Цо боху, Со Жуьгтийн къоман Паччахь ву“».</verse>
				<verse number="22">Пулата элира: «Ас яздинарг яздина даьлла».</verse>
				<verse number="23">Ӏийса жӀарах дӀатоьхна бевлча, тӀемалоша Цуьнан тӀеюху хӀуманаш схьа а эцна, уьш деа декъе йийкъира, хӀора тӀемалочунна цхьацца дакъа а луш. Ӏийсан чухула юху еха коч а яра цигахь. И коч тегна а йоцуш, лакхара охьакхаччалц, дийнна кӀадих йина яра.</verse>
				<verse number="24">ТӀаккха тӀемалоша вовшашка элира: «ХӀара коч этӀор яц вай. ХӀокхунна кхаж а тесна, и хьанна кхочу хьовсур ду вай». Дерриг а иштта хила а хилира, Делан Йозанашна тӀехь яздинарг кхочушдеш: «Цара вовшашлахь йийкъира Сан тӀеюху хӀуманаш, кхаж а тесира цара, Сан коч хьанна кхочу хьожуш». ТӀемалоша иза иштта дан а дира.</verse>
				<verse number="25">Ӏийса дӀатоьхначу жӀарана уллохь лаьтташ бара Ӏийсан нана а, ненан йиша а, Кхалайпан зуда Марем а, Магдалера Марем а.</verse>
				<verse number="26">ТӀаккха Ӏийсас, Шен нана а, цунна юххехь лаьтта, Шена къаьсттина дукха везаш волу мурд а гина, нене элира: «Нана, хӀара хир ву хьан кӀант».</verse>
				<verse number="27">Цул тӀаьхьа мурде а элира Цо: «ХӀара хьан нана ю». Цу сахьтехь дуьйна шеца ша волчу дӀайигира цу мурдо иза.</verse>
				<verse number="28">Цул тӀаьхьа дерриг а кхочушхилла даьллий хууш вара Ӏийса. ТӀаккха, Делан Йозанашна тӀехь яздинарг кхочушхилийтархьама, Цо элира: «Хьогах ву Со».</verse>
				<verse number="29">Юххехь лаьтташ кхаба яра, чохь юьззина кемсийн къонза а долуш. ТӀаккха тӀемалочо, цу кхаби чу худург а Ӏоьттина, иза ораматан гаьнна тӀе а йихкина, Ӏийсан бете яьхьира.</verse>
				<verse number="30">Къонза а мелла, Ӏийсас элира: «Кхочушхили!» ТӀаккха, корта охьа а оллийна, Шен са дӀаделира Цо.</verse>
				<verse number="31">И дерриг пӀераскан дийнахь хиларна, догӀмаш жӀарана тӀехь дита ца лаьара динан куьйгалхошна, хӀунда аьлча тӀедогӀуш Далла лерина шоьтан де дара. Ткъа цу шоьтан дийнахь доккха деза де долу дела, цара Пулате дийхира, жӀарах дӀатоьхна болчеран настарш каг а йина, жӀараш тӀера церан догӀмаш дӀадахийтахьара аьлла.</verse>
				<verse number="32">Иштта тӀемалоша, схьа а баьхкина, Ӏийсана цхьацца агӀор дӀатоьхначеран настарш кегйира.</verse>
				<verse number="33">Ткъа Ӏийсана тӀебахча, Иза дӀакхелханий а гина, Цуьнан настарш ца кегйира цара.</verse>
				<verse number="34">Ткъа тӀемалойх цхьаммо шегара гоьмукъ туьйхира Ӏийсан агӀонах, пӀендаршна юккъе. Цу сохьта цӀий а, хи а охьадахара.</verse>
				<verse number="35">И хилларг гиначо тоьшалла дина, шу а цунах тешийтархьама. Ткъа цуьнан тоьшалла бакъ а ду, цунна ша бакъдерг бохий а хаьа.</verse>
				<verse number="36">Иза хилла дӀахӀоьттира, Делан Йозанаш тӀехь яздина дерг кхочушхилийтархьама: «Цуьнан цхьа а даьӀахк кагйина хир яц», — аьлла.</verse>
				<verse number="37">Делан Йозанийн кхечу меттехь кхин а аьлла ду: «Шаьш дегӀах гоьмукъ чекхбаьккхиначуьнга хьовсур бу уьш».</verse>
				<verse number="38">Цул тӀаьхьа Рамат цӀе йолчу гӀалара а волуш, динан куьйгалхойх ша ца вахьарна, Ӏийсан къайлаха мурд а волуш волчу Юсупа Пулате дийхира, Ӏийсан дегӀ жӀара тӀера схьадаккха шена бакъо ялар. Пулата и дан бакъо елира Юсупна. ТӀаккха цо, вахана, и дегӀ жӀара тӀера схьадаьккхира.</verse>
				<verse number="39">Хьалха, буьйсанна Ӏийса волчу а оьхуш, Цуьнца къамел дина волу Нукха-Деми веара Юсупца цига. Нукха-Демис шеца кхузткъе итт герка гергга хаза хьожа йогӀу деза хьакхарш а, сарап олу молха а, цхьаьна а тоьхна, схьадеанера.</verse>
				<verse number="40">Цара, Ӏийсан дакъа схьа а эцна, Иза хаза хьожа йогӀу хьакхарш хьаькхна долчу кӀади юкъа хьарчийра, жуьгтийн Ӏедалехь стаг дӀавуллуш ма-дарра.</verse>
				<verse number="41">Ӏийса жӀарах дӀатоьхначу меттигна юххехь беш яра. Цу бешахь яьккхина, шена чу хӀинца а цхьа а виллаза къубба яра.</verse>
				<verse number="42">И дерриг а жуьгташа шоьтан денна кечам беш долу пӀераскан дийнахь долу дела а, и къубба генахь йоцу дела а, Ӏийса цу чу виллира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="20">
				<verse number="1">Ткъа кӀирандийнахь, хьалххе, са а тасале, Магдал-юьртара Марем къубба йолчу еара. Цигахь къуббанна дуьхьал биллина болу тӀулг дӀакарчийна гира Маремана.</verse>
				<verse number="2">ТӀаккха Марем, едда, Кипина а, Ӏийсана къаьсттина везаш хилла волчу кхечу мурдана а тӀееара. Цо элира цаьрга: «Веза Эла къуббанна чуьра дӀаваьхьна, ткъа Иза мича охьавиллина ца хаьа».</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха Кипа а, и важа мурд а, ара а ваьлла, къубба йолчу вахара.</verse>
				<verse number="4">И шиъ цхьаьна ведира, амма важа мурд, сихо ведда, Кипел хьалха а ваьлла, къубба йолчу хьалха кхечира.</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха охьатаьӀначу мурдана Ӏохкуш кӀадинан кескаш гира, амма иза цу чу ца велира.</verse>
				<verse number="6">Цул тӀаьхьа ШамӀа-Кипа а схьакхечира цу мурдана тӀаьххье. Къуббанна чуваьллачу Кипина а гира Ӏохкуш йолу еккъа кӀадинан кескаш.</verse>
				<verse number="7">Ӏийсан коьртах хьарчийна хилла долу йовлакх, цу кескашца а доцуш, хьарчийна ма-хиллара, къаьсттина, кхечу меттехь Ӏуьллуш дара.</verse>
				<verse number="8">Цу хенахь хьалхаваьлла схьакхаьчна волу важа мурд а къуббанна чувелира. Иза, и дерриг ган а гина, тийшира.</verse>
				<verse number="9">ХӀунда аьлча уьш хӀинца а Делан Йозанаш тӀехь яздина долчу Дала леррина Къобалвинарг веллачуьра денвала везарх ца кхетара.</verse>
				<verse number="10">Иштта мурдаш юхабирзира.</verse>
				<verse number="11">Ткъа Марем къуббанна уллохь йоьлхуш лаьттара. Йоьлхуш йолу иза къуббанна тӀе охьатаьӀира.</verse>
				<verse number="12">Цу хенахь Маремана, тӀехь кӀайн хӀуманаш а йолуш, хиъна Ӏаш ши малик гира: царах цхьаъ коьртехь, важа когашкахь дара Ӏийса охьавиллина хиллачу меттехь.</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха цара Мареме элира: «Зуда! Хьо хӀунда йоьлху?» Марема жоп делира: «Сан Веза Эла дӀа а ваьхьна, Иза мичахь охьавиллина сайна ца хаьа дела, йоьлху со».</verse>
				<verse number="14">И аьлла, Марем юхахьаьжча, лаьтташ волу Ӏийса гира цунна. Маремана ца хаьара Иза Ӏийса вуйла.</verse>
				<verse number="15">Ӏийсас элира цуьнга: «Зуда, хьо хӀунда йоьлху? Ахьа мила лоьху?» Ткъа Марема, Иза бешахо ву моттаделла, элира Цуьнга: «Сан ваша, Иза ахьа дӀаваьхьнехь, алахь соьга, ахьа Иза мича охьавиллина, аса Иза схьаоьцур вара».</verse>
				<verse number="16">Ӏийсас элира цуьнга: «Марем!» Ткъа Марема, юха а йирзина, арамхойн маттахь элира Цуьнга: «Раббуни!» (иза «Устаз» бохург ду).</verse>
				<verse number="17">ТӀаккха Ӏийсас элира Мареме: «Сацалахь, Сох кхин хьакха ма лолахь, хӀунда аьлча Со хӀинца а Сайн Да волчу хьала ца ваьлла. Сан вежаршна тӀе а гӀой, ахьа цаьрга ала: „Сайн Дена а, шун Дена а тӀе а, Сайн Далла а, шун Далла а тӀе хьалаволу Со“».</verse>
				<verse number="18">ТӀаккха Магдалера Марема, яхана, мурдашка дӀахаийтира шена Веза Эла гар а, Цо шега аьлларг а.</verse>
				<verse number="19">Оцу кӀирандийнахь, суьйранна, шаьш динан куьйгалхойх кхерарна, неӀ дӀакъевлина уьш Ӏаш болуш, чу а ваьлла, юкъаметте дӀа а хӀоьттина, Ӏийсас мурдашка элира: «Машар хуьлда шуьца!»</verse>
				<verse number="20">И аьлла, Шен куьйгаш а, агӀо а гайтира Цо. Веза Эла гича, чӀогӀа хазахеттера мурдашна.</verse>
				<verse number="21">ТӀаккха юха а элира Ӏийсас цаьрга: «Маршо хуьлийла шуьца! Со Дас ваийтаре терра, Аса шу а дохуьйту!»</verse>
				<verse number="22">И аьлла, Ӏаь а тоьхна, Ӏийсас элира: «ДӀаэца Делан Са.</verse>
				<verse number="23">Нагахь аш адамийн къиношна гечдахь, уьш царна тӀера дӀадевр ду, ткъа нагахь аша и къиношна геч ца дахь, уьш царна тӀехь дуьсур ду».</verse>
				<verse number="24">Ткъа оцу шийттаннах цхьаъ, шех Шалавинарг олуш волу ТӀама, Ӏийса веанчу хенахь мурдашца вацара.</verse>
				<verse number="25">ТӀаьхьа оцу мурдаша ТӀамига элира: «Тхуна Веза Эла гира». Ткъа ТӀамас элира цаьрга: «Нагахь сайна Цуьнан куьйгаш тӀехь хьостамех йисина чевнаш а ца гахь, сайн куьг Цуьнан агӀонах йолчу чевнна чу а ца дахийтахь, хӀуъа хилча а, тешар вац со».</verse>
				<verse number="26">Цул тӀаьхьа кӀира даьлча, мурдаш юха а, гулбелла, Ӏаш бара цӀа чохь. ТӀама а вара цаьрца. НеӀ дӀакъевлина а йолуш, Ӏийсас, цӀа чу а веана, юккъе дӀа а хӀоьттина, элира цаьрга: «Машар хуьлда шуьца!»</verse>
				<verse number="27">ТӀаккха ТӀамига Ӏийсас элира: «Хьайн пӀелг схьа а кховдабай, хьажа Сан куьйгашка, ткъа хьайн куьг Сан агӀонах йолчу чевнах чекхдаккха. Ма хила ца тешаш, амма тешаш хила».</verse>
				<verse number="28">ТӀамас, жоп луш, элира Ӏийсага: «Сан Веза Эла, сан Дела!»</verse>
				<verse number="29">Ӏийсас элира цуьнга: «Хьо тийши, хьайна Со гина дела. Декъала бу-кх, Со гина воццушехь, Сох тешнарш».</verse>
				<verse number="30">Кхин дуккха а тамашийна гӀуллакхаш дира Ӏийсас Шен мурдашна хьалха, кху тептар тӀехь яздина а доцу.</verse>
				<verse number="31">Ткъа хӀорш яздина Ӏийса Дала леррина Къобалвинарг, Делан КӀант хиларх шу тешийтархьама а, тӀаккха, Цунах теша а тешна, Цуьнан цӀарах шун бакъдолу дахар хилийтархьама а.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="21">
				<verse number="1">Цул тӀаьхьа Тхьабара-хӀордан йистехь Ӏийсас юха а Шен мурдашна гайтира Ша. Иштта гайтира Ӏийсас Ша цигахь.</verse>
				<verse number="2">Цу хенахь ШамӀа-Кипа а, ТӀама а, шех Шалавинарг олуш волу, Галилай-махкара Кхана-юьртара НатунаӀил а, Зевадин кӀентий а, Ӏийсан мурдех волу кхин шиъ а — уьш цхьаьна бара.</verse>
				<verse number="3">ШамӀа-Кипас элира цаьрга: «Со чӀерий леца воьду». Вукхара элира цуьнга: «Тхо а догӀу хьоьца». Ара а бевлла, хинкеман чу хевшира уьш, амма цу буса цара хӀумма а ца лецира.</verse>
				<verse number="4">Ткъа Ӏуьйре тӀейогӀучу хенахь Ӏийса бердан йисте дӀахӀоьттира, амма мурдашна ца хаьара, Иза Ӏийса вуйла.</verse>
				<verse number="5">Ӏийсас элира цаьрга: «ДоттагӀий, чӀерий дуй шуьгахь?» Цара жоп делира: «Дац», — аьлла.</verse>
				<verse number="6">Ткъа Ӏийсас элира цаьрга: «Шайн чӀерий лоцу бой хинкеманан аьтту агӀор чутаса, тӀаккха карор ду шуна чӀерий». Цара бой чутесира, тӀаккха чӀерий тӀех дукха лаьцна хиларна, и бой хьала ца яккхалора цаьрга.</verse>
				<verse number="7">ТӀаккха Ӏийсана къаьсттина дукха везна волчу мурдо Кипе элира: «ХӀара Веза Эла ву». Ткъа ШамӀа-Кипа, иза Веза Эла ву аьлла шена хезча, шен коч юкъах а йихкина, ша гӀодаюккъалц верзина волу дела, сихха хи чу иккхира.</verse>
				<verse number="8">Ткъа важа мурдаш, хинкеманна тӀехь, шайна тӀаьхьа чӀерашца йолу бой а текхош, хӀордан йисте кхечира, уьш болчуьра хӀордан йисте кхача, ши бӀе дол хиллал бен юкъ йоцу дела.</verse>
				<verse number="9">Мурдашна, хинкеманна тӀера шаьш лаьтта охьабиссича, йогуш кӀоран алу а йолуш, цунна тӀехь чӀерий а, юххехь бепиг а гира.</verse>
				<verse number="10">Ӏийсас элира цаьрга: «Шаьш хӀинца лаьцначу чӀерех цхьадерш схьада кхуза».</verse>
				<verse number="11">ШамӀа-Кипас, хинкеман чу ваьлла, шена чохь юьззина даккхий чӀерий долу бой хӀорд чуьра лаьтта схьаозийра. Берриг а чӀара бӀе шовзткъе кхойтта бара. Уьш оццул дукха доллушехь, чӀерий лоцу бой ца етӀира.</verse>
				<verse number="12">Ӏийсас элира цаьрга: «Схьадуьйла, хӀума яа шайна». Ткъа мурдех цхьа а ца ваьхьара Цуьнга хатта: «Хьо мила ву?» Мурдашна хаьара, Иза Веза Эла вуйла.</verse>
				<verse number="13">Ӏийсас, тӀе а вахана, бепиг схьа а эцна, мурдашка дӀаделира, тӀаккха чӀара а дӀакховдийра.</verse>
				<verse number="14">Веллачуьра денвеллачул тӀаьхьа Ӏийсас иштта кхозлагӀа а Шен мурдашна гайтира Ша.</verse>
				<verse number="15">Уьш яа хӀума йиина бевлча, ШамӀа-Кипе Ӏийсас элира: «Яхьъян кӀант ШамӀа! Царначул сов кӀорггера везий те хьуна Со?» Кипас элира: «ХӀаъ, Веза Эла, Хьуна хаьа, суна Хьо везий». ТӀаккха Ӏийсас элира Кипе: «Сан Ӏахарий дажаде ахьа».</verse>
				<verse number="16">ТӀаккха юха шозлагӀа а элира Ӏийсас Кипе: «Яхьъян кӀант ШамӀа, кӀорггера везий те хьуна Со?» Кипас жоп делира: «ХӀаъ, Веза Эла, Хьуна хаьа, суна Хьо везий». Ӏийсас элира цуьнга: «Сан уьстагӀийн Ӏу хила хьо».</verse>
				<verse number="17">КхозлагӀа а элира Ӏийсас: «Яхьъян кӀант ШамӀа, везий те хьуна Со?» Кипина халахийтира, шега Ӏийсас кхозлагӀа а хаьттича: «Везий те хьуна Со?» — аьлла. ТӀаккха Кипас элира Цуьнга: «Веза Эла, Хьуна дерриг хаьа. Хьуна хаьа, суна Хьо везий». Ӏийсас элира Кипе: «Сан уьстагӀий дажаде ахьа.</verse>
				<verse number="18">Бакъдерг боху Ас хьоьга, хьо къона волчу хенахь, айхьа-хьайн юкъ йоьхкий, хьайна луъучу метте воьдура хьо. Ткъа хьо къанвелча, хьайн куьйгаш дӀа а кховдийна, кхечуьнга хьайн юкъ йоьхкуьйтур ю ахьа, хьуна ца луъучу а вуьгур ву хьо».</verse>
				<verse number="19">Иштта элира Ӏийсас Кипе, цо мухачу Ӏожаллица Дела вазвийр ву дӀахоуьйтуш. ТӀаккха и аьлла, Ӏийсас кхин а тӀетуьйхира: «Суна тӀаьхьахӀотта хьо».</verse>
				<verse number="20">Кипа юхахьаьжча, цунна гира шена тӀаьхьавогӀу, Ӏийсана къаьсттина везна волу мурд. (Езачу суьйренан пхьор дуучу хенахь, Ӏийсан некха тӀе а таьӀна Ӏийна волу а, Цуьнга: «Веза Эла, мила ву Хьуна ямартло ен верг?» — аьлла волу а мурд вара иза.)</verse>
				<verse number="21">Иштта, и мурд гина, Кипас элира Ӏийсага: «Веза Эла, ткъа кхунах хӀун хир ду?»</verse>
				<verse number="22">Ӏийсас элира Кипе: «Нагахь Суна, Со юхаваллалц, иза дуьненахь виса лууш хилча, хьан хӀун бала бу цуьнца? Хьо Суна тӀаьхьахӀотта».</verse>
				<verse number="23">Иштта даьржира динан вежаршна юкъахь и «мурд лийр вац» аьлла дешнаш. Ткъа Ӏийсас иза лийр вац ца аьллера. Ӏийсас аьллера: «Нагахь Суна, Со юхаваллалц, иза дуьненахь виса лиъча, хьан хӀун бала бу цуьнца?»</verse>
				<verse number="24">И мурд ву цунна тоьшалла дийриг а, цунах лаьцна яздинарг а, ткъа вайна хаьа, цуьнан и тоьшалла билггал бакъ дуйла.</verse>
				<verse number="25">Кхин дуккха а дара Ӏийсас дина гӀуллакхаш. Схьахетарехь, царах массарех лаьцна тептарш яздинехь, хӀокху дуьнен чу а тарлур дацара уьш.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="44">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">Лоруш волу Теапил, сайн хьалхарчу жайни тӀехь ас яздинера хьоьга Ӏийсас дан а, хьеха а долийначу дерригенах а лаьцна,</verse>
				<verse number="2">Шен векалшна Делан Синехула омра а дина, стигала Иза хьалаваьккхинчу денна тӀекхаччалц.</verse>
				<verse number="3">Хала баланаш а, кхалхар а лайра Цо. Юха, ден а велла, цу векалшна тӀевеара Ӏийса, царна Ша гойтуш. Цо дукхазза а Ша денвалар билгал бакъ хилар гойтуш долу тоьшаллаш делира. Ӏийсас, кхин а шовзткъа дийнахь царна хьалха а хӀуттуш, Делан Олаллех лаьцна дуьйцура.</verse>
				<verse number="4">Цкъа, векалш шуьне гул а бина, Цо омра дира цаьрга: «Ярушалайм-гӀалара дӀа а ма довла, Аса шуна дийцинчу, Дадас шуна лур ду аьллачу дикане сатуьйсуш а хила.</verse>
				<verse number="5">ХӀунда аьлча Яхьъяс шу хих чекхдехира, ткъа масех де даьлча, шу Делан Синах дузур ду».</verse>
				<verse number="6">Мурдаша, гул а белла, хаьттира Ӏийсага: «Эла, Ахьа Исраилан пачхьалкх юха меттахӀоттайо хан тӀе ца кхаьчна?» — аьлла.</verse>
				<verse number="7">Цо жоп делира: «Дадас Шен бакъонца ехкина хенаш а, денош а хаар шун гӀуллакх дац.</verse>
				<verse number="8">Амма шуна тӀе Делан Са а доьссина, шуьга ницкъ беача, Сан тешаш хир ду шу Ярушалаймехь а, берриг ЯхӀуд-махкахь а, Шамранан махкахь а, дуьненан йисте кхаччалц а».</verse>
				<verse number="9">Иза а аьлла, церан бӀаьргашна хьалха стигала хьалаваьхьна волу Ӏийса мархи юкъахь кхарна гучуьра къайлавелира.</verse>
				<verse number="10">Мурдаш леррина стигала хьоьжуш лаьттара Иза хьалахьочу хенахь. ЦӀеххьана царна хьалха кӀайн духар тӀехь долу ши стаг дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="11">«Галилай-мехкан бахархой, — элира цара, — шу хӀун деш лаьтта, стигала а хьоьжуш? Шу долчуьра Ӏийса стигала хьалавоккхуш шуна гина ма-хиллара, Иза иштта юха а вогӀур ву».</verse>
				<verse number="12">Цул тӀаьхьа векалш, Зайт-диттийн лам тӀера чу а биссина, Ярушалайме баьхкира. И лам Ярушалаймана уллохь бара, садоӀучу шоьтан дийнахь бан магийначу некъан барамехь хиллал.</verse>
				<verse number="13">ГӀала а баьхкина, уьш лакхарчу цӀа чохь гулбелира. Векалийн цӀераш яра: Кипа, Яхьъя, Якъуб, Ӏандар, Пилап, ТӀама, Барталамай, Маттай, ХӀалпайн кӀант Якъуб, Якъубан кӀант ЯхӀуд, ШамӀа, ша тӀелаьцнарг тӀевирззина кхочуш дан гӀертарг.</verse>
				<verse number="14">Уьш гуттар а цхьаьна гуллора доӀанаш дан. Масех зуда а яра цаьрца, иштта Ӏийсан нана Марем а, Ӏийсан вежарий а бара.</verse>
				<verse number="15">Цкъа уьш гулбеллачу метте бӀе ткъа гергга динан ваша веара. Кипас, хьала а гӀаьттина, элира:</verse>
				<verse number="16">«Вежарий! Делан Йоза кхочуш ца хилча ца долу. Ӏийса лоцуш болчарна тӀехь куьйгалла дина волчу ЯхӀудах лаьцна хиндерг Делан Сино Даудехула аьлла дара оцу Йозан тӀехь.</verse>
				<verse number="17">ЯхӀуд вайх цхьаъ вара, вай Далла гӀуллакх дечу хенахь вайца дакъа а лецира цо».</verse>
				<verse number="18">Ӏийсана йинчу ямартлонах шена деллачу ахчанах цо латта эцнера. Цу лаьтта тӀехь велла карийна иза, даьттӀачу гай чуьра араяьлла чоко а йолуш.</verse>
				<verse number="19">Ярушалаймехь массарна а хаьара оцу хиллачух лаьцна, цундела шайн маттахь цара «ХӀакал-дама» аьллера цу лаьттах. Иза «ЦӀийн латта» бохург ду.</verse>
				<verse number="20">«Забур тӀехь цхьанхьа яздина ду: „Цуьнан керт дӀатесна хуьлийла, цигахь цхьа а кхин ма вехийла“, вукхунхьа: „Далла гӀуллакх дечохь цуьнан меттиг кхечо дӀалоцийла“.</verse>
				<verse number="21">Цундела вайна оьшу гуттар а вайца Ӏийсана уллохь а хилла,</verse>
				<verse number="22">ткъа иштта Яхьъяс нах хих чекхбохуш хиллачул хенахь дуьйна, Ӏийса вай долчуьра стигала хьалаваккхалц хилла волу стаг. Иза, вай санна, Ӏийса денваларан теш хила а веза».</verse>
				<verse number="23">Шиъ билгалваьккхира: шех Бар-Сабба я «Юст» олу Юсуп а, Маттахьи а.</verse>
				<verse number="24">Векалша доӀа дира: «Веза Эла! Хьуна хӀораннан а дог девза, гайтахьа тхуна</verse>
				<verse number="25">ша ваха веззачу метте дӀаваханчу ЯхӀудан метта, Айхьа векал а вина, гӀуллакх дан хаьржинарг».</verse>
				<verse number="26">Юха цара кхаж тесира. И кхаж Маттахьин белира. Иза, шийтталгӀа векал а хилла, вукху цхьайттаннах дӀакхийтира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Жуьгтийн «ШавуӀот» цӀе йолчу ялта чудерзоран дезачу дийнахь массо а векал цхьаьнакхийтира.</verse>
				<verse number="2">ЦӀеххьана, чӀогӀа хьаькхначу махах тера а йолуш, стигалара цхьа гӀовгӀа хезира. Цо уьш чохь болу дерриг а цӀа дуьзира.</verse>
				<verse number="3">Йогучу цӀеран алунех тера долу меттанаш гира векалшна. Уьш, декъа а делла, кхарна хӀоранна тӀехула севцира.</verse>
				<verse number="4">Делан Синах а буьзна, Цо шайна деллачу похӀмица тайп-тайпана меттанаш дийца буьйлабелира векалш.</verse>
				<verse number="5">Ярушалаймехь цу хенахь дуьненан массо а халкъашна юкъара схьаихна жуьгтий бара. Уьш къаьсттина чӀогӀа Делах тешаш а, Цунах кхоьруш а бара.</verse>
				<verse number="6">И гӀовгӀа яьлча, дукха нах гулбелира. Массо а цецваьлла виснера, хӀунда аьлча хӀоранна а векалша буьйцу шен-шен къоман мотт хезара.</verse>
				<verse number="7">Инзарбевлла, цара хоьттура вовшашка: «И адамаш массо а галилайхой дац?</verse>
				<verse number="8">Вайна хӀоранна а муха хеза, цара вайн ненан мотт буьйцуш?</verse>
				<verse number="9">Вайна юкъахь бу парпанхой а, мадайхой а, Ӏейламхой а, Месопатамера бахархой а, ЯхӀуд-махкара а, Каппадокера а, Понтера а, Асиара а,</verse>
				<verse number="10">Пхьаргера а, Пампилара а, Мисарара а, Ливин Къурина-гӀалин йистера адамаш а, римхой а,</verse>
				<verse number="11">(жуьгтий а, жуьгтийн дин керла тӀеэцнарш а), Крит-гӀайренан бахархой а, Ӏаьрбихой а. Ткъа вайна массарна а хеза вешан меттанашкахь цара Делан сийлахьчу гӀуллакхех лаьцна дуьйцуш!»</verse>
				<verse number="12">Цец а буьйлуш, хиллачух ца кхеташ, вовшашка хоьттура цара: «Ванах, хӀара хӀун ду?» — бохуш.</verse>
				<verse number="13">Цхьаболчара бохура, бийла а буьйлуш: «Цара алсам мерза чагӀар мелла».</verse>
				<verse number="14">Кипас, вукху цхьайтта векалца дӀа а хӀоьттина, аз айдеш, элира нахе: «ЯхӀудхой а, Ярушалайман бахархой а! Пурба ло суна дерриг а шайна дийцийта. Дика соьга ладогӀалаш!</verse>
				<verse number="15">ХӀара нах, шуна ма-моттара, бехна бац, хӀинца Ӏуьйранна исс сахьт бен ма ца даьлла.</verse>
				<verse number="16">Ткъа Юал-пайхамаро дийцинарг ду хӀара.</verse>
				<verse number="17">„ТӀаьххьарчу деношкахь, — боху Дала, — Аса Сайн Синан Ӏаь тухур ю дерриг а адамна тӀе. ТӀаккха шун кӀентий а, мехкарий а, шайга пайхамаралла а доьссина, Делера болу хаамаш беш хир бу. Кегийнаш Делера долу тамашийна суьрташ шайна хьалха хӀуьттуш хир бу, ткъа баккхийнаш Делера долу гӀенаш гуш хир бу.</verse>
				<verse number="18">Сайн ялхошна тӀе, божаршна я зударшна делахь а, Сайн Синан Ӏаь тухур ю Аса цу деношкахь, тӀаккха цаьргахь пайхамаралла хир ду.</verse>
				<verse number="19">Аса стигалан Ӏаьрчашкахь а, лаьтта тӀехь а тамашийна хӀуманаш гойтур ду: цӀий, цӀе, кӀуьран мархаш.</verse>
				<verse number="20">Везачу Элан сийлахь де тӀекхачале малхах бода хир бу, баттах цӀий хир ду.</verse>
				<verse number="21">Амма массо а Везачу Эле кхойкхуш верг кӀелхьарвоккхур ву“.</verse>
				<verse number="22">Исраилхой, ладогӀалаш соьга: Назартара Ӏийса адам делахь а, Дала Иза шуна хьалха къобалвира. ХӀунда аьлча шуна ма-хаъара, Дала Цуьнгахула шуна юкъахь тамашийна хӀуманаш а, билгалонаш а кхочушйора.</verse>
				<verse number="23">Ӏийса Делан лаамца а, Цунна хьалххе гуш ма-хиллара а, шун кара дӀавелира, ткъа аша дин доцучу нахе, жӀарах дӀа а тохийтина, вейтира Иза.</verse>
				<verse number="24">Амма Дала веллачуьра денвира Иза, Ӏожаллин багара а ваьккхина. Ӏожаллин ницкъ ца кхечира Иза шен карахь сацо.</verse>
				<verse number="25">Дауда олура Цунах лаьцна: „Суна гуттар а гора Веза Эла сайна хьалха. Иза суна аьтту агӀор ву, со воха ца вохийта.</verse>
				<verse number="26">Цундела сан дог а сакъералуш ду, сан багара мотт а самукъадаьлла бу. Сан дегӀ а ду сатуьйсийлах дуьзна.</verse>
				<verse number="27">ХӀунда аьлча Ахь эхартахь со вуьтур вац. Хьайна тешаме волчунна вахкавалар гойтур дац.</verse>
				<verse number="28">Ахьа бакъдолчу дахаран некъ суна гайтина, Хьуна уллохь хиларна хазахетарх со вузор ву Ахь“.</verse>
				<verse number="29">Вежарий, аса билггала бакъдерг дӀахоуьйту шуна: вайн тайпанан да Дауд вала а велла, дӀа а воьллина. Цуьнан каш таханлерчу дийне кхаччалц лаьтташ а ду.</verse>
				<verse number="30">Иза пайхамар вара. Дала цунна чӀагӀо йинера, цуьнан тӀаьхьенах стагана паччахьалла лур ду Ша аьлла.</verse>
				<verse number="31">Хиндерг хууш, Дауда дийцинера Дала леррина Къобалвинарг денлург хиларх а, Иза кошахь вуьсург ца хиларх а, Цуьнан дегӀана дахкадалар гург ца хиларх а лаьцна.</verse>
				<verse number="32">Дала Ӏийса денвира, вай Цуьнан тешаш а ду.</verse>
				<verse number="33">Иштта Делан аьтту куьйга хьалаваьккхинчу Цо Дегара Шена лур ду аьлла Делан Са схьаийцира. Ӏийсас кхочушдира тахана шуна гуш а, хезаш а дерг.</verse>
				<verse number="34">Дауд стигала хьалаваьлла вацара, амма цо элира: „Вайн Везачу Эло аьлла Хьалдолчу Эле: ‘Суна аьтту агӀор охьахаа,</verse>
				<verse number="35">Аса Хьан мостагӀий Хьан когашка охьабахккалц’, — аьлла“.</verse>
				<verse number="36">Цундела, берриг а исраилхой, хаалаш: аша жӀарах дӀатоьхна Ӏийса — Дала Цунах Веза Эла а, Къобалвинарг а вина шуна».</verse>
				<verse number="37">И дешнаш хезча, эхь хетта, нехан дегнаш лелхадохкура. Цара хоьттура Кипе а, кхечу векалшка а: «Вежарий, хӀун дан деза оха?» — бохуш.</verse>
				<verse number="38">Кипас элира цаьрга: «Шух хӀора а Далла тӀе а верзий, шаьш хих чекхдахийта Ӏийсан дуьхьа, шайн къиношна гечдайтархьама. ТӀаккха шуна совгӀат санна Делан Са лур ду.</verse>
				<verse number="39">И совгӀат дукха хенахь дуьйна а лур ду аьлла дара шуна а, шун берашна а, шуна тӀаьхьабогӀучу, Дала Шена тӀекхойкхун болчу массарна а».</verse>
				<verse number="40">Кипас, цаьрга дӀа а хьедеш, дехарца бохура: «КӀелхьардовлалаш хӀокху телхинчу адамех».</verse>
				<verse number="41">Цуьнан хьехам тӀеоьцучара шаьш хих чекхдохуьйтура. Цу дийнахь Ӏийсан мурдийн тоба кхин кхаа эзар стагана совъелира.</verse>
				<verse number="42">Уьш гуттар а векалийн хьехаме ладугӀуш а, вовшех дагабовлуш а, бепиг дохош а, доӀанаш деш а бара.</verse>
				<verse number="43">Берриш а Делах кхоьруш бара. Дала дуккха а тамашийна гӀуллакхаш дора векалшкахула.</verse>
				<verse number="44">Ӏийсах тешаш берш цхьаьна бара, церан массо а хӀума юкъахь дара.</verse>
				<verse number="45">Шайн керташ а, долахь дерг а дӀа а духкуш, шайна юкъахь дӀасадоькъура цара, хьанна хӀун оьшу хьаьжжина.</verse>
				<verse number="46">ХӀора дийнахь цхьаьна Делан цӀийнан кертахь бара уьш. ЦӀеношкахь цара хазахетарца а, даггара а, кег а деш, бепиг дуура,</verse>
				<verse number="47">Далла хастамаш а беш. Гонах болчара а уьш лорура. Везачу Эло хӀора денна совйоккхура кӀелхьарбохучийн тоба.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">Кипий, Яхьъяй вара суьйренан ламазе Делан цӀийнан керта воьдуш.</verse>
				<verse number="2">Цу хенахь «Исбаьхьа» аьлла цӀе йолчу кевнан йисте а валийна, охьахаийра вичхьана дуьйна а заьӀап волу цхьа стаг. Иза хӀора денна а, вала а вой, цигахь вуьтура, Делан цӀийнан керта богӀучу нахе цуьнга сагӀа дехийтархьама.</verse>
				<verse number="3">Кевнна хьалха Кипий, Яхьъяй а гина, цаьрга сагӀа дийхира заьӀапчу стага.</verse>
				<verse number="4">ХӀара шиъ леррина хьаьжира цуьнга. Юха Кипас элира: «Схьахьажал кхуза!»</verse>
				<verse number="5">И стаг дӀахьаьжира цаьрга, шена цхьаъ яларе са а тесна.</verse>
				<verse number="6">ТӀаккха Кипас элира: «Дети а, деши а дац соьгахь, амма сайн дерг ло ас хьуна. Дала леррина Къобалвинчу, Назартарчу Ӏийсан дуьхьа, хьала а гӀаттий, дӀаволало!»</verse>
				<verse number="7">Цо, аьтту куьг схьа а лаьцна, хьалагӀаттийра и стаг. ЦӀеххьана заьӀапчу стеган когаш а, голаш а то а елла, чӀагӀъелира.</verse>
				<verse number="8">Иза, хьала а гӀаьттина, дӀаволавелира. ДӀаволалуш, ирхкхиссалуш, Далла хастамаш беш, цаьрца Делан цӀийнан керта вахара иза.</verse>
				<verse number="9">Дерриг а адамна гира иза, Далла хастамаш а беш, ирхкхиссалуш, схьавогӀуш.</verse>
				<verse number="10">«Исбаьхьчу» кевнехь сагӀадоьхуш Ӏийна стаг а вевзина, цуьнан товалар а гина, инзарбевлла бара нах.</verse>
				<verse number="11">Товелла заьӀап стаг, Кипиний, Яхьъяний тӀаьхьара а ца волуш, вогӀура. Инзардаьлла дедда догӀу дерриг а адам царна тӀаьххье Сулим-паччахьан цӀарах йолчу лекхачу бӀогӀамех йинчу гӀишлонна тӀекхечира.</verse>
				<verse number="12">ТӀаьхьа богӀу нах а гина, Кипас элира: «Исраилхой, хӀокху гӀуллакхах шу цец хӀунда дуьйлу? Тхешан ницкъаца я суьпа хиларца товина-м ца моьтту шуна оха и стаг?</verse>
				<verse number="13">ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а, вайн дайн а Дала сийдеш айина Шен ялхо волу Ӏийса. Амма аша Иза вейтира, Пулатана хьалха Цунах дӀа а къаьстина, цо Иза дӀахеца сацам биннашехь а.</verse>
				<verse number="14">Далла тешаме Верг а, Делан лаамехь Верг а тӀе ца оьцуш, стаг вийна зуламхо кӀелхьарваккха аьлла, дийхира аша.</verse>
				<verse number="15">Дахар Кхоллархо вийра аша! Амма Дала веллачуьра денвира Иза, цу хӀуманна тхо тешаш а ду.</verse>
				<verse number="16">Ӏийсах тешар бахьана долуш, Цуьнан цӀаро тешарехь чӀагӀвина и шуна гуш а, вевзаш а волу стаг. Билггала, Ӏийсас кхунна деллачу тешаро товина хӀара стаг, шуна ма-гарра.</verse>
				<verse number="17">Вуьшта, вежарий, суна хаьа, аша а, шун хьаькамаша а и гӀуллакх шайна ца хаарна динийла.</verse>
				<verse number="18">Амма Дала иштта кхочушдира, Шен массо а пайхамарехула хаийтина долу, Ша леррина Къобалвинарг баланийн хӀордах чекхваккхар.</verse>
				<verse number="19">ХӀинца, шаьш лелийначунна дохко а довлий, Далла тӀедерза, шайн къинош дӀадахийтархьама.</verse>
				<verse number="20">ТӀаккха Дала шуна паргӀат зама йоуьйтур ю. ТӀаккха Цо шуна хӀоттийна волу, Ша леррина Къобалвинарг воуьйтур вара. И Къобалвинарг Ӏийса ву.</verse>
				<verse number="21">Амма Дала Шен пайхамаршкахула Ша дерриг а юхаметтахӀоттор ду аьлларг тӀекхаччалц йолчу ханна Ӏийса стигалахь хир ву.</verse>
				<verse number="22">Муса-пайхамаро а ма аьлла: „Шун Везачу Дала, шун вежарех Пайхамар хӀоттор ву шуна юкъахь, со санна. Цо бохучу массо а хӀумане ладогӀалаш.</verse>
				<verse number="23">Цуьнга ла ца доьгӀнарг массо а, шен халкъах дӀа а къастийна, хӀаллаквийр ву“.</verse>
				<verse number="24">Цул сов, массо а пайхамаро, Шамъал-пайхамарна тӀера дуьйна, хӀара денош догӀур ду аьлла ду.</verse>
				<verse number="25">Ткъа пайхамарийн а, Дала шун дайшка динчу весетан а тӀаьхьенаш шу ю. Дала аьлла ИбрахӀиме: „Хьан тӀаьхьенехула декъала хир ду дуьнен чуьра массо а халкъаш“.</verse>
				<verse number="26">Шен Ялхо денвича, Дала уггар хьалха шуна тӀеваийтира Иза, зуламечу гӀуллакхех шух хӀора а дӀадерзош, къобалдархьама».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">Кипас а, Яхьъяс а нахаца къамел дечу хенахь царна тӀе динан дай а, Делан цӀийнан гӀаролхойн хьаькам а, динан тобанан садукъой цӀе йолу нах а баьхкира.</verse>
				<verse number="2">Уьш чӀогӀа реза бацара Кипас а, Яхьъяс а нахана хьоьхуш хиларна а, Ӏийса веллачуьра денвелла бохуш кхайкхам барна а.</verse>
				<verse number="3">Цара и шиъ, схьа а лаьцна, ларвайта гӀароле дӀавелира, хӀунда аьлча тӀееана суьйре а яра, хан а яьллера.</verse>
				<verse number="4">Ткъа цу шиннан хьехамашка ладоьгӀна болу дукхахберш тийшира цара дийцинчух, цундела Ӏийсах тешнарш пхи эзар гергга хилира.</verse>
				<verse number="5">ШолгӀачу дийнахь хьаькамаш а, баккхий нах а, Ӏелам нах а Ярушалаймехь цхьаьна гулбелира.</verse>
				<verse number="6">Динан коьрта да Ӏанна а, иштта Кайба а, Яхьъя а, Искандар а, динан коьртачу ден доьзалхой а, кхиболу гергара нах а бара цигахь.</verse>
				<verse number="7">Кипий, Яхьъяй юккъе а ваккхийтина, цаьрга барт хатта буьйлабелира уьш: «Муьлхачу ницкъаца а, хьенан цӀарах а дара аша динарг?» — бохуш.</verse>
				<verse number="8">Делан Синах вуьзна волчу Кипас жоп делира: «ЛадогӀалаш, халкъан тхьамданаш а, баккхий нах а!</verse>
				<verse number="9">Нагахь санна цомгуш волчу стагах бинчу къинхетамах аша тахана тхоьгара жоп дехахь,</verse>
				<verse number="10">дӀахаалаш шуна а, дерриг Исраилан халкъана а: аша, жӀарах дӀа а тоьхна, вейтинчу, Дала веллачуьра денвинчу, Назартарчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дуьхьа товина волу хӀара стаг шуна хьалха лаьтташ ву!</verse>
				<verse number="11">Ӏийса — Иза, „гӀишлошъечу пхьераша дӀа а кхоьссина, сонан йисте дӀахӀоьттина болу тӀулг“ бу.</verse>
				<verse number="12">Кхин цхьаьнггахь а кӀелхьардовлар дац, хӀунда аьлча стигал кӀелахь кхин цӀе яц адамашна кӀелхьардовла елла».</verse>
				<verse number="13">Барт хоттуш берш цецбевллера Кипин а, Яхьъян а доьналлех. ХӀара шиъ дешна а воцуш, мискачу нахах ма вара. Юха кхелахошна хиира хӀорш Ӏийсаца хиллий.</verse>
				<verse number="14">Амма царна уллохь лаьтташ товина стаг а гуш, дуьхьал ала хӀума дацара кхелахойн.</verse>
				<verse number="15">Юха векалшка, коьртачу кхеташонера арадовла аьлла, омра а дина, барт бан хӀиттира уьш.</verse>
				<verse number="16">«ХӀун де вай оцу нахана? — бохура цара. — Ярушалайман бахархошна гина цара дина тамашийна хӀума. Вайга иза дайалур дац.</verse>
				<verse number="17">Амма хиллачух лаьцна хабар нахана юкъахь ца даржийта, вай дехка деза царна Ӏийсан цӀарах хьехам бар».</verse>
				<verse number="18">Юха а Кипий, Яхьъяй чу а валавайтина, омра дира цара, Ӏийсан цӀе а ма яккха, Цунах лаьцна хьехамаш а ма бе аьлла.</verse>
				<verse number="19">Амма Кипас а, Яхьъяс а жоп делира: «Ойла ейша шаьш а, нийса дуй Далла хьалха, Делал хьалха шуьга ладогӀар?</verse>
				<verse number="20">Цундела тхайна гинарг а, хезнарг а ца дуьйцуш тхо Ӏалур дац».</verse>
				<verse number="21">Ткъа вукхара, кхерамаш а тийсина, дӀахийцира Кипий, Яхьъяй, кхарна хӀун таӀзар дийр ду а ца хиъна. Хиллачунна Далла хастамаш беш дара дерриг а халкъ.</verse>
				<verse number="22">ХӀунда аьлча и тамашийна дарба хиллачу стеган шовзткъа сов шо дара.</verse>
				<verse number="23">Шаьш дӀахецча, Кипас а, Яхьъяс а, шайн накъостий болчу а веана, шайга динан коьрта дайша а, баккхийчу наха а баьхнарг дӀадийцира.</verse>
				<verse number="24">И дерриге а шайна хезча, Делах тешаш берш цхьаьний аз айдина доӀа дан хӀиттира: «Хьалдолу Эла! Ахьа стигал а, латта а, хӀорд а, царна чохь мел дерг а кхоьллина!</verse>
				<verse number="25">Ахьа аьлла Хьайн ялхо волчу тхан ден а Даудан багахула Делан Синца: „Хийрачу мехкашкара нах карзах хӀунда буьйлу? Цахиндерг халкъаша дага хӀунда лаьцна?</verse>
				<verse number="26">Дуьненан паччахьаш цхьаьнакхеташ бу, лаьттан куьйгалхой вовшех дагабуьйлуш бу, Везачу Элана дуьхьал а бевлла, Цо къобалвинчунна новкъарло йо цара“.</verse>
				<verse number="27">Билггала, хӀокху гӀалахь ХӀарод а, Понти Пулат а кхечу къаьмнийн нахаца а, Исраилан халкъаца а цхьаьнакхийтира Хьан Везачу а, Ахьа къобалвинчу а Ялхочунна Ӏийсана кхел ян.</verse>
				<verse number="28">Ахьа Хьайн лаамца а, куьйгаца а тӀедиллинарг кхочушдира цара.</verse>
				<verse number="29">ХӀинца а, Веза Эла, хьажахьа цара туьйсучу кхераме. Тхуна, Хьайн ялхошна, ницкъ лохьа ерриге а майраллица Хьан дош кхайкхо,</verse>
				<verse number="30">ткъа Ахьа Хьайн Везачу Ялхочун Ӏийсан цӀарах дарба дан а, тамашийна хӀуманаш а, инзаре гӀуллакхаш а гайта а кховдадо Хьайн куьг!»</verse>
				<verse number="31">Цара доӀа чекхдаьккхича, уьш лаьтташ болу меттиг егийра, цу сохьта берриш а Делан Синах буьзира. Цул тӀаьхьа цара майрра кхайкхадора Делан дош.</verse>
				<verse number="32">Делах тешнарш дегнашца а, хьекъалца а цхьаьна бара. Цхьаммо а ца бохура шен долахь дерг шен бен дац. Шайн мел дерг юкъахь доькъура цара.</verse>
				<verse number="33">Векалша боккхачу ницкъаца тоьшалла дора Ӏийса-Эла денваларх лаьцна. Дала а къобалбора уьш.</verse>
				<verse number="34">34-35 Латта а, цӀенош а долчу наха, уьш дӀа а духкий, схьадеана ахча векалийн когашка охьадилларна, цхьа а къен стаг вацара царна юкъахь. И ахча цунна оьшучуьнга хьаьжжина лора.</verse>
				<verse number="35">***</verse>
				<verse number="36">Масала, Кипр-гӀайре тӀера Юсуп цӀе йолчу, Леви тайпанах волчу стага (векалша цунах Бар-Нааб а олура, ткъа иза «синтеман кӀант» бохург ду)</verse>
				<verse number="37">шен латта дӀа а доьхкина, схьадеана ахча векалийн когашка охьадиллира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">Цхьана стага шен бахам дӀабоьхкира. Цу стеган цӀе Хьанас яра, цуьнан зудчун цӀе Шаппира яра,</verse>
				<verse number="2">Амма шена кхаьчначу ахчанах цхьа дакъа цо дӀалачкъийра. Цуьнан зудчунна а хаьара иза. Диснарг, схьа а деана, векалийн когашка охьадиллира цо.</verse>
				<verse number="3">Кипас элира цуьнга: «Хьанас, мича бахьанина йиллина иблисо хьан даг чу ойла, Делан Синна аьшпаш а боьттина, айхьа, латта а доьхкина, схьаэцначу ахчанах цхьа дакъа хьайна дита аьлла?</verse>
				<verse number="4">Ахьа дӀадохкале а и латта хьан ма дара, ткъа цунах схьаэцна ахча а ма дара хьан. ХӀунда дира ахьа иза? Ахьа и аьшпаш нахана ца боьттина, Далла боьттина».</verse>
				<verse number="5">И дешнаш хезча, Хьанас, охьа а воьжна, велира. ЧӀогӀа кхерам тесира и хезначийн массеран а кийра.</verse>
				<verse number="6">Схьабаьхкинчу кегийчу наха дакъа, дӀа а хьарчийна, дӀа а даьхьна, дӀадоьллира.</verse>
				<verse number="7">Цул тӀаьхьа, кхин кхо сахьт даьлча, цига Хьанасан зуда еара. Цунна ца хаьара хилларг.</verse>
				<verse number="8">Кипас хаьттира цуьнга: «Алал соьга, хӀокху мехах доьхкирий аша латта?» Зудчо элира: «ХӀаъ, оцу мехах».</verse>
				<verse number="9">Кипас элира цуьнга: «Муха даьхьира шуьшиъ бартбан Делан Са зерхьама? НеӀарехь когийн тата хезий хьуна? Хьан майра дӀа а воьллина, чубогӀу нах бу хьуна уьш. Хьо а дӀахьур ю хьуна цара».</verse>
				<verse number="10">Цу сохьта, цуьнан когашка охьа а йоьжна, елира и зуда. Чубаьхкинчу кегийчу нахана и елла Ӏуьллуш гира. ДӀаяьхьна, шен майрачунна улло дӀайоьллира иза.</verse>
				<verse number="11">Ӏийсах тешначийн ерриг тоба а, и хилларг хезнарш а кхерамо бахьийнера.</verse>
				<verse number="12">Дала векалшкахула нахана дуккха а тамашийна билгалонаш а, инзаре хӀуманаш а гойтура. Массо а, цхьа барт а болуш, Сулим-паччахьан цӀарах йолчу меттехь гуллора.</verse>
				<verse number="13">Наха уьш лоруш белахь а, хийрачех цхьа а царна юкъа ваха ца хӀуттура.</verse>
				<verse number="14">Амма Везачу Элах тешна болу божарий а, зударий а алсамбуьйлура царна юкъахь.</verse>
				<verse number="15">Наха шайн цомгуш берш маьнгешна а, гоьнашна а тӀехь урамашка арабохура, тӀехволучу Кипин ӀиндагӀ мукъана а царна тӀедожийта.</verse>
				<verse number="16">Ярушалаймана гонахарчу гӀаланашкара адамийн тобанаш оьхура. Цара шайн цомгуш болу а, жинаша хьийзош болу а нах балабора. Массарна а дарбанаш хуьлура.</verse>
				<verse number="17">Динан коьрта да а, динан садукъойн тобанах болу цунна уллоранаш а хьогӀах буьзна бара.</verse>
				<verse number="18">Цара векалш, дӀа а лецийтина, халкъана йина йолчу набахти чу бохкийтира.</verse>
				<verse number="19">Буьйсанна Везачу Элан малико, набахтин ков схьа а диллина, арабехира уьш.</verse>
				<verse number="20">Цо элира цаьрга: «Делан цӀийнан керта а гӀой, нахана хӀокху керлачу дахарх лаций дийца», — аьлла.</verse>
				<verse number="21">Ӏуьйранна, шайга ма-аллара, Делан цӀийнан керта а баьхкина, нахана хьехам бан хӀиттира векалш. Ткъа динан коьртачу дас а, цуьнан уллорачара а Исраилан халкъан тхьамданаш коьртачу кхеташоне а кхайкхина, набахтера векалш схьабало шайн ялхой бахийтира.</verse>
				<verse number="22">Набахте баьхкинчу эпсаршна цу чохь векалш ца карийра. Цара, юха а баьхкина, элира:</verse>
				<verse number="23">«Набахтин ков дика дӀакъевлина ду, иза лардеш гӀаролаш а ду, амма иза схьадиллича, чохь цхьа а кара-м ца ви тхуна», — аьлла.</verse>
				<verse number="24">Цаьрга ла а доьгӀна, Делан цӀийнан гӀаролан хьаькам а, динан коьрта дай а инзарабевлла бара, «ХӀара хӀун ду?» — бохуш.</verse>
				<verse number="25">Юха цхьаммо, ван а веана, хаам бира: «Аша набахти чу боьхкинарш Делан цӀийнан кертахь нахана хьехамаш беш бу», — аьлла.</verse>
				<verse number="26">ТӀаккха гӀаролан хьаькамо, эпсаршца ваха а вахана, векалш схьабалийра. Цара векалшна ницкъ ца бира схьабалочу хенахь, хӀунда аьлча наха шайна тӀулгаш деттарна кхоьрура уьш.</verse>
				<verse number="27">Векалш коьртачу кхеташоне чубалийра. Динан коьртачу дас элира цаьрга:</verse>
				<verse number="28">«Оха шуна чӀогӀа дихкинера, цу стеган цӀарца ма хьеха аьлла, амма аша шайн хьехам ерриге а Ярушалаймехь дӀасабаржийна. Цул сов, цу стеган цӀий тхох хьарчадо аша».</verse>
				<verse number="29">Кипас а, кхечу векалша а жоп делира: «Наханачул а сов Далла муьтӀахь хила деза тхо!</verse>
				<verse number="30">Амма дечигах хьала а оьллина, аша вийна волу Ӏийса вайн дайн а Дала веллачуьра денвина.</verse>
				<verse number="31">Амма Дала Иза, Эла а, кӀелхьардохург а вина, Шен аьтту куьйга айира, Исраилан халкъ, дохко а даьлла, Далла тӀедерзийтархьама а, цу халкъана гечдархьама а.</verse>
				<verse number="32">Тхо тешаш ду оцу дерригенна а. Ша бохург деш волчунна Дала делла Деза Са а ду оцунна теш».</verse>
				<verse number="33">И дуьйцург а хезна, динан коьрта да а, чохь берш а чӀогӀа оьгӀазбахара. Векалш байа лууш бара уьш.</verse>
				<verse number="34">Наха лоруш а волуш, парушхо а волуш, цхьа Ӏелам стаг вара царна юкъахь. Цуьнан цӀе Гамлиал яра. Кхеташона хьалха а хӀоьттина, цхьана ханна векалш арабахийтира цо.</verse>
				<verse number="35">Цул тӀаьхьа цо кхеташонан декъахошка элира: «Исраилхой, дика ойла елаш оцу нахана шаьш дан гӀертачун.</verse>
				<verse number="36">Дукха хан йоццуш кхузахь, ша тхьамда ву аьлла, Тхьада цӀе йолуш цхьа стаг гучувелира. Цунна тӀаьхьа виъ бӀе гергга стаг хӀоьттира. Амма иза вийначул тӀаьхьа, цуьнан накъостий дӀасабевдира. ХӀумма а доцург а хилла, дӀаделира и гӀуллакх.</verse>
				<verse number="37">Цул тӀаьхьа Галилайра Яхьуд гучувелира. Нах дӀаязбечу хенахь веанчу цо гӀаттамана тоба вовшахтуьйхира. Иза а вийра, цунна тӀаьхьахӀиттинарш а дӀасабевдира.</verse>
				<verse number="38">Цундела хӀокху хӀуманна тӀедоьгӀна сан хьехар ду шуна: и нах Ӏадбита, дӀахеца уьш. Цара долийна хӀума нахера делахь, иза, дайна, дӀадер ду.</verse>
				<verse number="39">Нагахь и Делера делахь, шуьга иза сацалур дац. Шу шаьш а Далла дуьхьал девлларш хир ду».</verse>
				<verse number="40">Цо бохучуьнга ладуьйгӀира цара. Векалш, чу а кхайкхина, царна етта а йиттина, Ӏийсан цӀарах лаьцна кхин дийцар дехка а дихкина, дӀахийцира цара.</verse>
				<verse number="41">Векалш кхеташонера арабевлира, Ӏийсан дуьхьа шаьш сийсазбан хьакъ хиларна баккхий а беш.</verse>
				<verse number="42">ХӀора денна Делан цӀийнан кертахь а, цӀеношкахь а ца хеддаш хьехамаш а беш, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах лаьцна нахе хаза кхаъ кхайкхабора цара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="6">
				<verse number="1">Цу деношкахь, мурдаш сов болучу хенахь, царах грекахойн мотт буьйцу жуьгтий Ӏебархойн мотт буьйцучу жуьгташна аьрзнаш дан буьйлабелира. Цара бохура денна йоькъучу хӀуманан дакъа шайн бисина Ӏачу зударшна ца кхочуьйту.</verse>
				<verse number="2">ТӀаккха шийтта векало, берриг а мурдаш вовшах а тоьхна, элира: «Делан дош дӀакхайкхор а сацийна, тхо хӀума екъа хӀиттича, нийса хир дац.</verse>
				<verse number="3">Цундела, вежарий, аша шайна юкъара ворхӀ стаг харжа веза. Уьш Делан Са а, хьекъал а шайца хиларца гӀарабевлла хила беза. Вай и гӀуллакх царна тӀедуьллур ду.</verse>
				<verse number="4">Ткъа оха тхешан ерриге а хан доӀанаш дарна а, Делан дош кхайкхорна а хьажор ю».</verse>
				<verse number="5">Векалша аьлларг мурдашна тайра. Цара хаьржира Делан Синах а, Делах тешарх а вуьзна волу Тапа а, Пилап а, Прохор а, Никанор а, Тимон а, Парман а, жуьгтийн дин тӀеэцна волу Антиохера Никлас а.</verse>
				<verse number="6">И нах цара векалшна хьалха дӀахӀиттийра. Векалша, доӀа а дина, царна тӀе куьйгаш дехкира.</verse>
				<verse number="7">Делан дош дӀасадаьржаш дара, Ярушалаймехь мурдаш алсамбовлуш бара. Дуккха а динан дай Ӏийсах долчу тешарна муьтӀахь хилира.</verse>
				<verse number="8">Делан къинхетам а, ницкъ а шеца болу Тапа нахана юкъахь тамашийна Ӏаламаташ а, билгалонаш а гойтуш вара.</verse>
				<verse number="9">Къуринара а, Искандарера а, Киликера а, Асиара а жуьгтий шена чубогӀучу, «паргӀатбевлларш» аьлла цӀе йолчу жуьгтийн гуламан цӀийнера цхьаболу нах Тапица къийса бевлира.</verse>
				<verse number="10">Амма цуьнан къамелехь долчу хьекъална а, цуьнца долчу Делан Синан доьналлина а дуьхьало ца ялора цаьрга.</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха цара къайлаха нах кечбира дӀахаийта: «Цо Далла а, Муса-пайхамарна а дуьхьал Ӏеса къамел деш хезира тхуна», — аьлла.</verse>
				<verse number="12">Адам а, Ӏелам нах а, баккхийнаш а карзахбехира цара. Тапа, схьа а лаьцна, коьртачу кхеташоне валийра.</verse>
				<verse number="13">Харц тоьшалла дан нах дӀахӀиттийра. Цара бохура: «ХӀара стаг гуттар а езачу меттигна а, товратна а дуьхьал къамел деш ву.</verse>
				<verse number="14">Тхуна хезира кхо бохуш: „Назартарчу Ӏийсас хӀара еза меттиг а йохор ю, Муса-пайхамаро вайна делла гӀиллакхаш а хуьйцур ду“».</verse>
				<verse number="15">Леррина Тапе хьоьжучу кхеташонехь болчу нахана гира, маликан санна, цуьнан серлаяьлла юьхь.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="7">
				<verse number="1">Юха динан коьртачу дас хаьттира Тапе: «Иштта дуй иза?» — аьлла.</verse>
				<verse number="2">Тапас жоп делира: «Вежарий а, дай а! Доьху сайга ладогӀар. Вайн да ИбрахӀим Месопотамехь волуш, Олаллин нуьрехь Дела хӀоьттира цунна хьалха. Цу хенахь ИбрахӀим ХӀаран-гӀала дӀавахаза вара.</verse>
				<verse number="3">„Хьайн мохк а, гергарнаш а битий, Аса хьайна гойтун болчу махка дӀагӀо“, — элира Дала ИбрахӀиме.</verse>
				<verse number="4">Хашадхойн мохк дӀа а тесна, ХӀаран-гӀала дӀавахара ИбрахӀим. Цул тӀаьхьа, цуьнан да кхелхича, Дала иза хӀинца шу Ӏаш долчу махка хьажийра.</verse>
				<verse number="5">Дала цунна цхьа а бахам ца белира, ур-атталла коган айрин барамал латта а ца делира. Амма Дала чӀагӀо йира цунна, иза а, цуьнан тӀаьхьенаш а хӀокху мехкан дай хир бу аьлла. Ткъа ИбрахӀим цу хенахь доьзалхо воцуш вара.</verse>
				<verse number="6">Дала элира цуьнга: „Хьан тӀаьхьенах берш хийрачу махкахь тӀебаьхкина нах а хилла Ӏийр бу. Цу махкарчу бахархоша, деа бӀе шарахь леш а бина, Ӏазапехь латтор бу уьш.</verse>
				<verse number="7">Амма Аса таӀзар дийр ду уьш бацийначу халкъана. Цул тӀаьхьа хьан тӀаьхьенаш цу махкара ара а евлла, кху меттехь Суна корта бетташ хир ю“.</verse>
				<verse number="8">Юха Дала ИбрахӀимца барт бира, цу бертан билгало хилира боьрша нах хадор. ИбрахӀима, Исхьакхан да ша хилча, борхӀалгӀачу дийнахь иза хадийра. ТӀаьхьа Исхьакх Якъубан да хилира, ткъа Якъуб шийтта тайпанан дайн да хилира.</verse>
				<verse number="9">Тхьамданаша, Юсупца хьагӀ а лаьцна, иза Мисар-махка лай санна воьхкира.</verse>
				<verse number="10">Амма цуьнца Дела вара, Цо иза массо а халонах кӀелхьарваьккхира. Дала Юсупна хьекъал а делира, Мисаран паччахь, пирӀун, кхунна тӀе а тайтира. Цу паччахьо Юсуп берриг а Мисаран а, шен цӀийнан а куьйгалхо вира.</verse>
				<verse number="11">Юха Мисарахь а, КанаӀанахь а мацалла хӀоьттира. Иза йоккха хало яра. Вайн дай даа хӀума доцуш бисира.</verse>
				<verse number="12">Мисарахь кӀа ду аьлла шена хезча, Якъуба цига шен кӀентий бахийтира. Уьш цига дуьххьара боьлхуш бара.</verse>
				<verse number="13">Уьш шолгӀа баьхкича, Юсупа ша вовзийтира вежаршна. ПирӀунна а хиира Юсупан гергарчу нахах лаьцна.</verse>
				<verse number="14">Цул тӀаьхьа Юсупа шен дега Якъубе а, гергарчу нахе а дӀакхайкхира. Цуьнан гергарчех берриг а кхузткъе пхийтта вара.</verse>
				<verse number="15">Якъуб Мисаре веара. Иза а, вайн дай а цигахь кхелхира.</verse>
				<verse number="16">Церан декъий Шехеме схьа а деана, ИбрахӀима, дато ахча а делла, Хьамуран кӀенташкара эцначу Шехемехь йолчу къубба чу дехкира.</verse>
				<verse number="17">Дала ИбрахӀимна делла дош кхочушхуьлу хан тӀекхочуш яра, Мисарахь долу вайн халкъ дикка алсамделира.</verse>
				<verse number="18">Цул тӀаьхьа Мисар-махкахь кхин паччахь дӀахӀоьттира. Цунна Юсупах лаьцна хӀумма а ца хаьара.</verse>
				<verse number="19">Иза вайн халкъ Ӏехош вара. Вайн дайн халкъана ницкъ бора, вайн бераш дӀатуьйсуьйтура, уьш дийна ца дисийтархьама.</verse>
				<verse number="20">Цу хенахь дуьнен чу Муса велира. Иза Далла хазахеташ вара. Хьалхарчу кхаа баттахь Муса шен ден хӀусамехь кхобуш вара.</verse>
				<verse number="21">Юха иза дӀатесна витича, пирӀунан йоӀа, дӀа а ваьхьна, шен кӀант волуш санна кхиийра иза.</verse>
				<verse number="22">Мусана Мисарахь долу дерриг а Ӏилманаш Ӏамийра. Иза дашна а, гӀуллакхна а доьналла долуш вара.</verse>
				<verse number="23">Шен шовзткъа шо кхаьчча, вежарий болу исраилхой болчу ваха дагадеара цунна.</verse>
				<verse number="24">Цигахь волуш цунна гира мисархочо цхьана исраилхочунна ницкъ беш. Мусас, исраилхочуьнгахьа гӀо а даьккхина, мисархо вийра.</verse>
				<verse number="25">Цунна моьттура вежарий кхетар бу, Дала шаьш паргӀатдаха ша хьажийна хиларх. Амма уьш ца кхийтира.</verse>
				<verse number="26">ШолгӀачу дийнахь Мусана гира вовшахлеташ волу ши исраилхо. Царна юкъахь бартбан гӀоьртира иза: „Шу вежарий ма ду! ХӀунда лета шу вовшах?“</verse>
				<verse number="27">Амма ницкъ беш волчо элира: „Тхуна тӀехь хьаькам а, кхелахо а хьан хӀоттийна хьо?</verse>
				<verse number="28">Я айхьа селхана мисархо ма верра, со а вен-м ца гӀерта хьо?“</verse>
				<verse number="29">И дешнаш хезча, Муса, ведда, Мадани цӀе йолчу махка дӀавахара. Цигахь, тӀевеана стаг а хилла, ваха охьахиира иза. Ши кӀант а вира цунна цигахь.</verse>
				<verse number="30">Шовзткъа шо даьлча, Синай цӀе йолчу лома уллохь яьссачу арахь Муса волчу йогучу куллан цӀергахь малик деара.</verse>
				<verse number="31">Муса чӀогӀа цецваьллера и сурт гина. Дика хьажархьама иза уллохьа тӀевахча, цунна Везачу Элан аз хезира:</verse>
				<verse number="32">„Со — хьан дайн Дела ву, ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела ву“. Муса кхеравелла вегош вара, бӀаьрганегӀар хьалаайа а ца ваьхьаш.</verse>
				<verse number="33">Везачу Эло элира цуьнга: „Мачаш дӀаяха хьайн когара, хьо лаьтта меттиг деза латта ду.</verse>
				<verse number="34">Суна Сайн халкъана Мисарахь ницкъ беш а гина, цуьнан узарш а хезна. Со уьш паргӀатбаха воьссина. ХӀинца дӀагӀо, Аса Мисар-махка вохуьйту хьо“.</verse>
				<verse number="35">Иза исраилхоша тӀе ца эцна волу Муса вара. Цара цуьнга аьллера: „Хьо хьан хӀоттийна тхуна тӀехь хьаькам а, кхелахо а?“ Дала Ша вохуьйтуш вара иза хӀинца хьаькам а, адам паргӀатадоккхург а вина. Коканийн куллахь хиллачу маликехула динера Дала и гӀуллакх.</verse>
				<verse number="36">Оцу Мусас арадаьккхира шен халкъ Мисарера. Цо дукха тамашийна билгалонаш а, инзаре хӀуманаш а гайтира Мисарахь а, ЦӀечу хӀорда йистехь а, кхин шовзткъа шарахь яьссачу арахь а.</verse>
				<verse number="37">И вара изза Муса, исраилхошка баьхна волу: „Дала шуна со санна волу Пайхамар воуьйтур ву шун халкъана юкъара“.</verse>
				<verse number="38">Изза вара яьссачу арахь гулделлачу халкъе Синай-лам тӀехь малико шега дийцинарг дӀааьлларг. Мусас схьаийцира деза дешнаш вайга схьадалархьама.</verse>
				<verse number="39">Амма вайн дай, цуьнга ла а ца доьгӀна, иза дӀа а тесна, шайн дегнашкахь Мисаре юхабирзира.</verse>
				<verse number="40">Цара элира АхӀароне: „Тхо Мисарара арадаьхначу Мусана хӀун хилла тхуна ца хаьа, цундела, хьалха а ваьлла, тхо дӀадуьгун долу дела ве тхуна“.</verse>
				<verse number="41">Цара эсанан суьртехь цӀу а вина, цунна сагӀа а доккхуш, шайн куьйгашца динчу цу гӀуллакхна деза де хӀоттийра.</verse>
				<verse number="42">И бахьана долуш Дела дӀавирзира царна тӀера, уьш стигаларчу седарчашна Ӏибадат дан а битина. Пайхамарийн жайни тӀехь яздина ма ду: „Исраилан халкъ! Шовзткъа шарахь яьссачу арахь Суна тешаме хилар гайтархьама, дийнаташ дагоран а, кӀен а сагӀанаш даха ма ца дийзира хьан!</verse>
				<verse number="43">Ахь Мулка-цӀунна лерина четар а, хьайн Делан РамхӀаран седа а, айхьа Ӏибадат динчу цӀуйн суьрташ а лелийра. Ахь иза дарна, хьо махках а даьккхина, Бавелал дехьа эккхор ду Ас“.</verse>
				<verse number="44">Вайн дайн яьссачу арахь Тоьшаллин Четар дара. Иза Дала Мусага де ма-аллара, Мусана гиначу кепехь дина дара.</verse>
				<verse number="45">Вайн дайша ЮшаӀна тӀаьхьахӀиттина, тӀом а беш, шаьш схьабаьккхинчу махка деара и четар. Ткъа Дала цигахь хьалха Ӏийна халкъаш дӀалаьхкира. Дауд паччахь хӀотталц цу махкахь дара и четар.</verse>
				<verse number="46">Дела реза вара Даудана, цундела Дауд Деле бакъо йоьхуш вара Якъубан тӀаьхьенна Далла лерина гӀишло ян.</verse>
				<verse number="47">Амма Далла лерина цӀа Сулим-паччахьо дира.</verse>
				<verse number="48">Делахь а, Веза Воккханиг адамаша динчу цӀа чохь Ӏаш вац. Пайхамаро цунах лаьцна аьлла:</verse>
				<verse number="49">„Стигал Сан Ӏарш ю, ткъа латта Сан когийн кӀело ю. ХӀун цӀа дийр дара аша Суна? — боху Везачу Эло. ХӀун меттиг хир яра Суна садаӀа?</verse>
				<verse number="50">И дерриг а Сан куьйго кхоьллина дац?“</verse>
				<verse number="51">Дегнаш а, лергаш а хедоза аьрха нах ду шу! Гуттар а Делан Синна дуьхьал ду шу! Шайн дай ма-хиллара шу а ду.</verse>
				<verse number="52">Цхьа а пайхамар хиллий, шун дайша эккхийна лелийна воцуш? Делан Лаамехьверг вогӀур ву аьлларш бойура цара, ткъа аша хӀинца, Цунна ямарта а девлла, Иза а вийна.</verse>
				<verse number="53">Дала шуна маликашкахула товратан хьехам баийтира, амма аша и кхочуш ца бира».</verse>
				<verse number="54">И дерриг а хезча, кхеташонехь берш, оьгӀазбахна, Тапина цергаш хьекхо буьйлабелира.</verse>
				<verse number="55">Тапа Делан Синах вуьзна вара. Иза стигала хьалахьаьжча, цунна Делан нур а, Далла аьтту агӀор лаьтта Ӏийса а гира.</verse>
				<verse number="56">«Хьовсийша, — элира цо, — суна еллаелла стигал а, Далла аьтту агӀор лаьтта Адамийн КӀант а го», — аьлла.</verse>
				<verse number="57">ТӀаккха вуьш, лергаш дӀа а къевлина, цӀогӀанашца, маьхьаршца цхьаьний тӀелетира цунна.</verse>
				<verse number="58">Иза такхийна гӀаланах ара а ваьккхина, цунна тӀулгаш детта буьйлабелира уьш. Тешаша шайн тӀехулара бедарш Шаул цӀе йолчу жимачу стеган когашка охьакхийсира.</verse>
				<verse number="59">Цара шена тӀулгаш деттачу хенахь, Тапас доӀа дира: «Ӏийса-Эла, дӀаэцахьа сан са!»</verse>
				<verse number="60">Цул тӀаьхьа, гора а воьжна, чӀогӀа элира цо: «Веза Эла, къилахь ма ларалахь кхарна хӀара гӀуллакх!» Иза а аьлла, Тапа кхелхира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="8">
				<verse number="1">Шаула къобалдора Тапин вер. Цу дийнахь Ярушалаймехь Ӏийсах тешаш болчийн тобане бала хӀоттийра. ЯхӀуд-махкахула а, Шамран-махкахула а дӀасалаьхкира массо а, цхьа векалш боцурш.</verse>
				<verse number="2">Тапа суьпачу наха дӀавоьллира, цунах доккха белхар а хӀоттош.</verse>
				<verse number="3">Ткъа Шаул Ӏийсах тешаш болу нах хӀаллакбан волавелира. Цхьана цӀа чуьра вукху чу а воьдуш, божарий а, зударий а дӀа а лоьцуш, набахти чу бухкуьйтура цо.</verse>
				<verse number="4">Ткъа шайн меттера дӀалаьхкина болчу мурдаша Везачу Элан Дашах лаьцна хаза кхаъ кхайкхабора шаьш лелачохь.</verse>
				<verse number="5">Пилап, Шамран-махкарчу коьртачу гӀала чу а воьссина, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна кхайкхам беш вара.</verse>
				<verse number="6">Массара а цуьнга дика ладугӀура. Цо деш долу тамашийна хӀуманаш а гора царна.</verse>
				<verse number="7">Телхинчу дуккха а нахана чуьра жинаш маьхьарца арадуьйлура, меттахь биснарш а, заьӀапнаш а толора.</verse>
				<verse number="8">Цу гӀалахь болу нах чӀогӀа самукъадаьлла бара.</verse>
				<verse number="9">Цу гӀалахь Ӏаш, ШамӀа цӀе а йолуш, бозбунчалла лелош, цхьа стаг вара. Цо лелочух Шамран-махкахь болу нах цецбуьйлура. Иза ша сийлахь-воккха ву бохуш вара.</verse>
				<verse number="10">Леррина цуьнга хьоьжуш болчу хьалдолчу а, къечу а наха олура: «И стаг шех „Сийлахь ницкъ“ олучу Делан ницкъах лаьтташ ву».</verse>
				<verse number="11">Халкъо къаьсттина тидам тӀебахийтира цунна, хӀунда аьлча цо дуккха а йолчу хенахь цецбохура уьш шен бозбунчаллашца.</verse>
				<verse number="12">Амма Делан олаллех а, Ӏийса Дала къобалвина хиларх а хаза кхаъ кхайкхочу Пилапа шаьш тешийча, оцу гӀалара божарша а, зударша а шаьш хих чекхбохуьйтура.</verse>
				<verse number="13">ШамӀас, теша а тешна, ша а хих чекхваккхийтира. Массанхьахула а Пилапана тӀаьхьа а хӀоьттина лелара иза, цо лелочу инзаречу хӀуманех а, тамашийна гӀуллакхех а цецвуьйлуш.</verse>
				<verse number="14">Ярушалаймехь болчу векалша, Шамран-махкарчу наха Делан дош тӀеэцна аьлла шайна хезча, цига Кипий, Яхьъяй вахийтира.</verse>
				<verse number="15">Цу шиммо, схьа а веана, доӀа дира, и дош тӀеэцначарна Делан Са тӀелацар доьхуш.</verse>
				<verse number="16">ХӀунда аьлча царна тӀе цхьанна а Делан Са доьссина дацара. Уьш Ӏийса-Элан дуьхьа хих чекхбаьхна бен бацара.</verse>
				<verse number="17">Кипас а, Яхьъяс а царна тӀехула куьйгаш лецира, тӀаккха Ӏийсах тешначарна Делан Са тӀеийцира.</verse>
				<verse number="18">Делан Са, векалша куьйгаш лаьцча, дуссуш хилар шена гича, ШамӀас цаьрга ахча кховдийра:</verse>
				<verse number="19">«Суна а лойша и бакъо, — бохура цо, — Ас куьйгаш тӀехула лаьцначунна Делан Са лур долуш».</verse>
				<verse number="20">Кипас элира: «Хьоьца цхьаьна хӀаллакьхуьлийла хьан ахча, хӀунда аьлча хьуна моьтту, Дала делла хьуьнар ахчанах эцалур ду.</verse>
				<verse number="21">Оха дечу кху гӀуллакхехь ахьа дакъалаца йиш яц, хӀунда аьлча хьан дог Далла хьалха цӀена дац.</verse>
				<verse number="22">Хьайн къинна дохко а валий, Деле деха, Цо хьан дагахь хиллачунна гечдан а мега хьуна.</verse>
				<verse number="23">ХӀунда аьлча суна го, хьо дераллех вуьзна а, къинойн йийсарехь а хилар».</verse>
				<verse number="24">ШамӀас дийхира тӀаккха: «Везачу Эле сох доӀа дейша, аша аьлларг цхьа а суна ца хилийтархьама».</verse>
				<verse number="25">Векалша, тоьшалла а деш, Везачу Элан дош кхайкхадора цигахь. Цул тӀаьхьа уьш Ярушалайме юхабаьхкира, новкъахь Шамран-махкарчу дуккха а ярташкахь хаза кхаъ а кхайкхош.</verse>
				<verse number="26">Везачу Элан малико элира Пилапе: «Хьала а гӀаттий, къилбехь болчу, Ярушалаймера яьссачу арахула Ӏази-гӀала боьдучу новкъа вала», — аьлла.</verse>
				<verse number="27">ТӀаккха Пилап дӀавахара. Цунна дуьхьалкхийтира ваьӀна волу эфиопхо. Эфиопин-пачхьалкхан Кхандакх цӀе йолчу зуда-паччахьан цӀийнехь лаккхарчу даржехь а волуш, цу паччахьан дерриг а жовхӀарех жоп а луш, уьш лардеш вара иза. Ярушалайме Далла Ӏибадат дан а веана,</verse>
				<verse number="28">хӀинца цӀа воьдуш вара и эфиопхо. Шен гӀудалкха а хиъна, ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаран жайна а доьшуш, вогӀура иза.</verse>
				<verse number="29">Делан Сино элира Пилапе: «Цу гӀудалкха тӀе а гӀой, улло а хӀоттий, дӀагӀо», — аьлла.</verse>
				<verse number="30">ГӀудалкхана тӀеваханчу Пилапна хезира цхьаммо ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамарехула Делера болу хаам боьшуш. «Айхьа доьшучух кхетий хьо?» — хаьттира Пилапа.</verse>
				<verse number="31">«Цхьаммо кхетош ца хилча, со муха кхетар ву?» — элира эфиопхочо. ТӀаккха Пилапе, хьала а валий, шена юххе охьахаа аьлла, дийхира цо.</verse>
				<verse number="32">Жайни тӀехь цо доьшу дешнаш хӀорш дара: «Урс хьакха буьгу уьстагӀ санна, дӀавуьгуш вара Иза, ша лоргучунна хьалха, Ӏахар санна, шена чуьра Ӏаь ца йолуьйтуш, тийна Ӏара Иза.</verse>
				<verse number="33">Сийсазваьккхина вара Иза, ткъа нийса кхел Шена яйта Цуьнан бакъо яцара. Хьан дуьйцур дара Цуьнан тӀаьхьенах лаьцна, хӀинца Цуьнан дахар лаьттара дӀахьош хилча?»</verse>
				<verse number="34">ВаьӀначо хаьттира Пилапе: «Алахьа соьга, хьанах лаьцна дуьйцу пайхамаро кхузахь, шех я кхечух?»</verse>
				<verse number="35">ТӀаккха Пилапа Делан Йозанан оццу декъа тӀера вола а велла, ваьӀначунна Ӏийсах лаьцна хаза кхаъ бовзийтира.</verse>
				<verse number="36">Уьш схьабогӀуш хи тӀе кхечира. «Хьажахьа, хӀара хи ду, — элира ваьӀначо, — стен новкъарло йо суна хих со чекхваккхийта?»</verse>
				<verse number="37">***</verse>
				<verse number="38">ВаьӀначо омра дира, гӀудалкх сацае аьлла. И ший а хи чу велира. Пилапа хих чекхваьккхира иза.</verse>
				<verse number="39">Уьш хи чуьра хьалабевлча, Везачу Элан Сино Пилап цигара цӀеххьана дӀаийцира, ваьӀначунна иза кхин ца гира. Самукъа а долуш, шен некъ кхин дӀа а бира эфиопхочо.</verse>
				<verse number="40">Пилап цул тӀаьхьа Ашдод-гӀала нисвелира. Массо а гӀаланашкахь хаза кхаъ кхайкхабора цо, ша Кхесрине дӀакхаччалц.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="9">
				<verse number="1">Хьалха санна оьгӀазаллех кхехкаш вара Шаул, Ӏийсан мурдаш хӀаллакьхиларе сатуьйсуш. Иза динан коьрта да волчу веара.</verse>
				<verse number="2">Цо цуьнгара Дамасакх-гӀаларчу жуьгтийн гуламан цӀеношка дахьа лерина кехаташ дехира. Цу кехаташа Шаулна бакъо лора Ӏийсан некъан мурдаш, божарий а, зударий а, бехка а бихкина, Ярушалайме схьабало, нагахь уьш цунна карабахь.</verse>
				<verse number="3">Иза Дамасакхе схьакхочучу хенахь, цӀеххьана стигаларчу серлоно къагийра иза.</verse>
				<verse number="4">Шаул лаьтта охьавоьжча, цунна аз хезира. Цо кхуьнга бохура: «Маржа Шаул яӀ! Соьга бала хӀунда хьоьгуьйту ахь?»</verse>
				<verse number="5">«Хьо мила ву, Веза Эла?» — хаьттира Шаула. «Со Ӏийса ву, ахьа эккхийна лелош волу, — элира Цо.</verse>
				<verse number="6">ХӀинца, хьала а гӀаттий, гӀала гӀо, цигахь эр ду хьоьга ахь хӀинца дан дезарг».</verse>
				<verse number="7">Шаулна тӀаьхьа богӀу нах Ӏадийна лаьттара, аз а хезаш, амма цхьа а ган а ца гуш.</verse>
				<verse number="8">Шаул лаьттара хьалагӀаьттира, амма цо бӀаьргаш схьабиллича, цунна хӀумма а ца гора. Наха, куьг а лаьцна, валийра иза Дамасакхе.</verse>
				<verse number="9">Кхаа дийнахь а, буса а бӀаьрса дайна Ӏийра иза. Цо яа а ца йоура, мала а ца молура.</verse>
				<verse number="10">Дамасакхехь Ӏаш Ӏийсан мурд вара, Хьанас цӀе а йолуш. Цунна сурт хӀоьттинчу хенахь, Везачу Эло цуьнга элира: «Ва Хьанас!» ТӀаккха хӀокхо жоп делира: «Эла, со кхузахь ву!» — аьлла.</verse>
				<verse number="11">Эло цуьнга элира: «„Нийсаниг“ олучу урамехь долчу ЯхӀудан цӀа чу а гӀой, Тарс-гӀалара Шаул цӀе йолу стаг хатта. Хьажалахь, иза хӀинца доӀанаш деш ву.</verse>
				<verse number="12">Цунна сурт хӀоьттина, Хьанас цӀе йолчу стага, ван а веана, шен бӀаьргаш тӀе куьйгаш дохкуш, шен бӀаьрса схьадаийта».</verse>
				<verse number="13">Хьанаса элира: «Веза Эла, суна дукха нахера хезна оцу стагах а, цо Хьан безачу нахана Ярушалаймехь динчу вонах а лаьцна.</verse>
				<verse number="14">Иза динан коьртачу дегара кехат а дахьаш веана, Хьоьга мел кхойкхург чуволла бакъо луш долу».</verse>
				<verse number="15">Везачу Эло элира Хьанасе: «ДӀавало! И стаг Ас хаьржина гӀирс бу. Цо кхайкхор ю Сан цӀе кхечу къаьмнех болчу нахана а, церан паччахьашна а, Исраилан халкъана а.</verse>
				<verse number="16">Ас гойтур ду цунна, Сан цӀе бахьана долуш шен мел баланаш лан деза».</verse>
				<verse number="17">Хьанас, дӀа а вахана, шега аьлла цӀа схьа а карийна, цу чу вахара. Цо, Шаулан бӀаьргаш тӀе куьйгаш а дехкина, элира: «Ваша Шаул, хьо кхуза вогӀуш, хьуна новкъахь гучуваьллачу Везачу Эло Ӏийсас ваийтина со, хьуна юха а са гайтархьама а, хьо Делан Синах вуьзна хилийтархьама а».</verse>
				<verse number="18">Цу сохьта, пардо дӀадаьлча санна, бӀаьрса серладаьлла, са гира Шаулна. ХьалагӀаьттинчул тӀаьхьа цхьаммо хих чекхваьккхира иза.</verse>
				<verse number="19">ХӀума йиинчул тӀаьхьа гӀора деара цуьнга. Мурдашца масех де даьккхира Дамасакхехь Шаула.</verse>
				<verse number="20">Шаул жуьгтийн гуламан цӀеношкахь хьехам бан волавелира, Ӏийса Делан КӀант ву бохуш.</verse>
				<verse number="21">Цуьнга ладоьгӀначара, цец а буьйлуш, хоьттура: «Иза вацара Ярушалаймехь Ӏийсага кхойкхуш берш хӀаллакбан гӀерташ? Кхуза а уьш, схьа а лоьцуш, динан коьртачу дайшна тӀебига веана вац иза?»</verse>
				<verse number="22">Шаул нахана хьехам барехь тӀаьхь-тӀаьхьа чӀагӀлуш вара. Дамасакхехь болчу жуьгташка цунна дуьхьало ца ялора, цо Ӏийса Дала леррина Къобалвинарг ву аьлла тешийча.</verse>
				<verse number="23">Дикка хан яьлча, жуьгташа барт бира Шаул вен.</verse>
				<verse number="24">Шаулна хиира цара дагалаьцнарг. Жуьгташа дийнахь а, буса а гӀалин кевнаш лардора иза верхьама.</verse>
				<verse number="25">Амма цуьнан мурдаша буьйсанна гӀалин гонахарчу пена тӀехула тускар чохь чувоссийра иза.</verse>
				<verse number="26">Ярушалайме а веана, Ӏийсан мурдех дӀакхета хьаьжира Шаул, амма уьш, кхоьруш, ца тешара хӀара а Цуьнан мурд хиларх.</verse>
				<verse number="27">ТӀаккха Бар-Нааба векалшна тӀевалийра иза. Цо дийцира царна, Шаулна новкъахь Веза Эла гар а, Везачу Эло кхуьнца къамел дар а, Шаула Ӏийсан олаллин цӀарах майрра Дамасакхехь хьехам бар а.</verse>
				<verse number="28">Цаьрца мелла а хан яьккхира Шаула. Иза паргӀат лелара Ярушалаймехь, Ӏийсан цӀарах майрра хьехам а беш.</verse>
				<verse number="29">Цо кест-кеста къуьйсура грекийн мотт буьйцучу жуьгташца. Эххар а хӀара вен барт хилира церан.</verse>
				<verse number="30">Иза хиъча, динан вежарша Шаул Кхесрин-гӀала дӀавигира, ткъа цигара Тарс-гӀала дӀакхетийра.</verse>
				<verse number="31">ЯхӀуд-махкахь а, Галилайхь а, Шамран-махкахь а Ӏийсах тешачийн тобанашна маьрша хан еара. Везачу Элан сийлаллех а кхоьруш, Делан Синан гӀоьнца чӀагӀ а луш, алсамбовлуш бара Ӏийсах тешаш берш.</verse>
				<verse number="32">Кипа махкахула ваьлла лелаш вара. Ша воьдучу новкъахь Лодди-юьртара беза нах болчу вахар сацийра цо.</verse>
				<verse number="33">БархӀ шарахь меттахь Ӏиллина волу Енай цӀе йолуш цхьа стаг карийра цунна цигахь.</verse>
				<verse number="34">Кипас элира цуьнга: «Енай! Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас тово хьо. Хьала а гӀаттий, хьайн мотт дӀабаккха». Енай цу сохьта хьалагӀаьттира.</verse>
				<verse number="35">Лодди-юьртара а, Шарон-арара а нахана иза туовелла гича, уьш Везачу Элана тӀебирзира.</verse>
				<verse number="36">Ӏийсах тешаш а йолуш, Яппи-гӀалахь Ӏаш Тавита цӀе йолуш цхьа зуда яра. (Грекийн маттахь цуьнан цӀе Дорка яра, иза «лу» бохург ду.) Тавита гуттар а диканиг деш а, мискачарна сагӀа луш а стаг яра.</verse>
				<verse number="37">Цу хенахь, цомгуш а хилла, елира иза. Цуьнан дакъа, лийча а дина, лакхарчу цӀа чохь охьадиллира.</verse>
				<verse number="38">Лодди-юрт Яппи-гӀалина уллохь хиларна, Кипа Лодди-юртахь ву аьлла шайна хезча, и волчу ши стаг вахийтира мурдаша, цуьнга сихонца схьавола аьлла.</verse>
				<verse number="39">Кипа цу нахаца схьавеара. Уьш схьакхаьчча, иза лакхарчу цӀа чу вигира. Кипина гонах бисина Ӏаш болу зударий гулбелира. Белха а боьлхуш, Доркас шайца йолчу хенахь цо тегна йолу кучамаш а, кхин йолу хӀуманаш а гойтура цара.</verse>
				<verse number="40">Массо а чуьра ара а ваьккхина, гора а хӀоьттина, доӀа дира Кипас. Юха, еллачуьнгахьа дӀа а вирзина, элира цо: «Тавита, хьалагӀатта!» Зуда, бӀаьргаш схьабиллича, Кипа а гина, кӀегархиира.</verse>
				<verse number="41">Кипас, куьг а лаьцна, гӀо дира цунна когаш тӀе ирахӀотта. Юха Ӏийсах тешарш а, бисина Ӏаш болу зударий а схьа а кхайкхина, царна денъелла Тавита дӀагайтира цо.</verse>
				<verse number="42">Цу хӀуманах лаьцна ерриг а Яппи-гӀалахь хиира, тӀаккха дуккха а адамаш Везачу Элах тийшира.</verse>
				<verse number="43">Кипас кхин а гӀеххьа хан яьккхира Яппи-гӀалахь. Иза цӀокаршна дабагӀа дечу ШамӀин цӀа чохь Ӏаш вара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="10">
				<verse number="1">Кхесрин-гӀалахь Ӏаш вара Корнил цӀе йолу цхьа стаг. Иза Италера полкан эпсар вара.</verse>
				<verse number="2">Иза ша а, цуьнан доьзал а суьпа а, Делах кхоьруш а нах бара. Цо мискачу нахана сагӀа а лора, гуттар а Деле доӀанаш а дора.</verse>
				<verse number="3">Цкъа цхьана дийнахь делкъал тӀаьхьа кхо сахьт долуш Корнилна сурт хӀоьттира. Цунна дика къаьсташ Делан малик гира. ХӀара волчу а деана, малико элира: «Корнил!»</verse>
				<verse number="4">Кхеравелла, цуьнга дӀахьаьжира Корнил. «ХӀун боху ахьа, Эла?» — хаьттира цо. Малико жоп делира: «Хьан доӀанашна а, сагӀанашна а Дала жоп делла.</verse>
				<verse number="5">Яппи-гӀала нах а бахийтий, шех Кипа олучу ШамӀе схьакхайкха.</verse>
				<verse number="6">ЦӀокарчашна дабагӀа дечу ШамӀин цӀа чохь, хӀорда йистехь сецна хьуна иза».</verse>
				<verse number="7">Шеца къамел дина малик дӀадахча, Корнила шина ялхочуьнга а, ша куьйгалла дечу, Делах кхоьручу цхьана тӀемалочуьнга а схьакхайкхира.</verse>
				<verse number="8">Дерриге а хилларг а дийцина, уьш Яппи-гӀала бахийтира цо.</verse>
				<verse number="9">ШолгӀачу дийнахь бахийтинарш гӀалин йисте кхочуш, Кипа доӀа дан цӀийнан нийсачу тхов тӀе хьалавелира.</verse>
				<verse number="10">Мац а велла, яа хӀумане сатесира цо. Чохь болчара кхача кечбечу муьрехь шовкъ еара цунна.</verse>
				<verse number="11">Еллаелла стигал а, еа маьӀӀера дӀалаьцна, лаьтта охьайоуьйтуш йоккхачу шаршух тера йолу цхьа хӀума а гира цунна.</verse>
				<verse number="12">Цу шаршу юкъахь биъ ког болу тайп-тайпана дийнаташ а, текхаргаш а, олхазарш а дара.</verse>
				<verse number="13">Юха цхьана озо элира цуьнга: «Кипа, хьала а гӀаттий, яйа а яйий, яа уьш», — аьлла.</verse>
				<verse number="14">Амма Кипас элира: «Ма ала иза соьга, Веза Эла! Ас цкъа а ца йиъна хьарам йолу хӀума».</verse>
				<verse number="15">ТӀаккха озо кхин цкъа а элира: «Дала магийтина хӀума хьарам ма хета».</verse>
				<verse number="16">Иштта кхузза хилира, тӀаккха цу сохьта шаршу юха а стигала хьалаяьхьира.</verse>
				<verse number="17">Кипа ойла еш лаьттара, шена хӀоьттина сурт хӀун маьӀна долуш ду те бохуш. Цу хенахь Корнила бахкийтина нах, ШамӀин цӀенош а карийна, кевнна хьалха севцира.</verse>
				<verse number="18">Мохь а тоьхна, хаьттира цара: «Шех Кипа олу хьаша ШамӀа вуй кхузахь?» — аьлла.</verse>
				<verse number="19">Кипа, дӀа а хӀоьттина, шена гиначу суьртах ойла еш вара. ТӀаккха Делан Сино элира цуьнга: «ШамӀа, хьо лоьхуш кхо стаг ву.</verse>
				<verse number="20">Хьала а гӀаттий, лаха чувосса. Шек а ца волуш, цаьрца дӀагӀо, хӀунда аьлча уьш Ас бахкийтина бу».</verse>
				<verse number="21">Кипас, чу а воьссина, элира цу нахе: «Аша лоьхург со ву. ХӀунда даьхкина шу?» — аьлла.</verse>
				<verse number="22">Цара жоп делира: «Тхо дахкийтинарг эпсар Корнил ву. Иза цӀена а, Делах кхоьруш а стаг ву, массо а жуьгташа лара а лоруш. Делан малико аьлла цуьнга, хьо шен цӀа чу кхайкха аьлла, ахьа дуьйцучуьнга ладогӀархьама».</verse>
				<verse number="23">ТӀаккха Кипас, уьш чу а кхайкхина, хьошалла дира царна. ШолгӀачу дийнахь Кипа а, Яппи-гӀалара кхин масех динан ваша а цу нахаца дӀавахара.</verse>
				<verse number="24">Кхин цхьа де даьлча, уьш Кхесрин-гӀала кхечира. Корнил цаьрга хьоьжуш Ӏаш вара, шен гергарчу нахе а, уллорачу доттагӀашка а кхайкхина.</verse>
				<verse number="25">Кипа чоьхьа ваьлча, Корнил, цунна дуьхьал а веана, цуьнан когашка гора вуьйжира.</verse>
				<verse number="26">«ХьалагӀатта, — элира цуьнга Кипас, — со хьо санна адам ма ду».</verse>
				<verse number="27">Корнилаца къамел а деш, Кипа цӀа чу вахара. Чохь гулделла дуккха а адам дара.</verse>
				<verse number="28">Кипас элира цаьрга: «Шуна дика хаьа, жуьгтичунна кхечу къомах болчу нахаца къамел дан а, церан чу ваха а дихкина дуйла. Амма Дала элира соьга, ас цхьа а хьарам лара ца веза аьлла.</verse>
				<verse number="29">Цундела сайна тӀаьхьа нах бахкийтича, со, дуьхьало ца еш, схьавеана. ХӀинца пурба лойша шайга хатта: хӀунда кхайкхина аша соьга?»</verse>
				<verse number="30">Корнила жоп делира: «Кхо де хьалха хӀокху хенахь сайн чохь ламаз деш вара со, делкъал тӀаьхьа кхо сахьт даьллера. ЦӀеххьана суна хьалха къегаш духар а дуьйхина стаг хӀоьттира.</verse>
				<verse number="31">„Корнил, — элира цо, — Дала хьан доӀанашна а, мискачарна деллачу сагӀанашна а жоп делла.</verse>
				<verse number="32">Кипа олучу ШамӀе кхайкха нах бахийта. Иза хӀорда йистехь Ӏаш волчу цӀоканашна дабагӀа дечу ШамӀин цӀа чохь ву хьуна“.</verse>
				<verse number="33">Ас цу сохьта хьуна тӀаьхьа нах бахкийтира. Дика ду хьо веана. ХӀинца вай массо а Далла уллохь ду, хьоьга дерриге а Цо тхоьга схьаала тӀедиллинчуьнга ладогӀархьама».</verse>
				<verse number="34">Кипа дийца волавелира: «ХӀинца хаьа суна Дела билггала озабезам ца беш вуйла.</verse>
				<verse number="35">Цо массо а къомах болу нах тӀеоьцу, нагахь уьш Иза лара а лоруш, нийсо лелош белахь!</verse>
				<verse number="36">Шуна хаьа хир ду Дала Исраилан халкъана бахьийтинчу кхоах лаьцна. Массеран а Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Делаца бинчу бартах лаьцна бу и хаза кхаъ.</verse>
				<verse number="37">37-38 Яхьъяс нах хих чекхбаха кхайкхинчул тӀаьхьа Назартара Ӏийса Дала къобалвира, Шен Са а, ницкъ а луш. И шуна хаьа. ТӀаккха Ӏийса Галилайра дӀаволавелла, берриге а ЯхӀуд-махкахь массанхьахула лелара, диканиг деш а, иблисан олалла шайна тӀехь долу нах тобеш а, хӀунда аьлча Цуьнца Дела вара.</verse>
				<verse number="38">***</verse>
				<verse number="39">Ӏийсас жуьгтийн махкахь а, Ярушалаймехь а динарг ган а гина, цуьнан тешаш ду тхо. Иза вийра, дечигах хьала а оьллина,</verse>
				<verse number="40">амма Дала веллачуьра кхозлагӀчу дийнахь денвира. Ӏийса Делан лаамца нахана гучувелира.</verse>
				<verse number="41">Иза хӀоранна а гуш вацара, амма Дала къастийначу тхуна, тешашна, гира Иза. Оха Цуьнца даа а диира, мала а мелира Иза веллачуьра денвеллачул тӀаьхьа.</verse>
				<verse number="42">Цо тхуна тӀедиллира нахе кхайкхам бар а, тоьшалла дар а, Ша Дала дийначарна а, беллачарна а тӀехь кхел ян хӀоттийна ву аьлла.</verse>
				<verse number="43">Цунах лаьцна массо а пайхамарша тоьшалла до Цунах тешачунна Цуьнан цӀарах къиношна гечдийриг хилар».</verse>
				<verse number="44">Кипас къамел дечу хенахь цо дуьйцучуьнга ладугӀучарна массарна а тӀе Делан Са доьссира.</verse>
				<verse number="45">Кипица баьхкина сунтбина болу Делах тешаш берш инзарабевлла бара Делан Са кхечу къаьмнийн нахана тӀедоссарх,</verse>
				<verse number="46">хӀунда аьлча царна хезнера цу наха тамашийна меттанаш дуьйцуш а, Дела хестош а. ТӀаккха Кипас элира:</verse>
				<verse number="47">«Муха мегар ду царна хих чекхбахар дехка? Делан Са, вайна санна, царна тӀе а ма доьссина!»</verse>
				<verse number="48">Цо Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дуьхьа хих чекхдахийта аьлла, тӀедожийра царна. Цул тӀаьхьа хӀусамдайша дийхира Кипига, шайца кхин а масех де даккха аьлла.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="11">
				<verse number="1">Берриг а ЯхӀуд-махкахь болчу векалшна а, динан вежаршна а хезнера, кхечу къаьмнех болчара Делан дош тӀеэцна бохуш.</verse>
				<verse number="2">Цундела Кипа Ярушалайме веача, Ӏийсах тешаш болу сунтбинарш хӀокхуьнга бехкаш даха хӀиттира.</verse>
				<verse number="3">«Сунтбаза болчеран чу а воьдуш, цаьрца хӀума йиъна ахь», — бохура цара.</verse>
				<verse number="4">ТӀаккха дерриге а муха хилла, царна ма-дарра дийца волавелира Кипа.</verse>
				<verse number="5">«Со Яппи-гӀалахь доӀанаш деш вара, — дуьйцура цо, — шовкъ еанчу суна сурт хӀоьттира. Еа маьӀӀера схьа а лаьцна, стигалара со волчу охьайоуьйтуш йолу цхьа йоккхачу шаршух тера хӀума гира суна.</verse>
				<verse number="6">Цу чу хьаьжча, суна гира биъ ког болу дийнаташ а, акхарой а, кхин а текхаргаш а, олхазарш а.</verse>
				<verse number="7">Юха суна аз хезира: „Кипа, хьала а гӀаттий, яйа а яйий, яа уьш“, — аьлла.</verse>
				<verse number="8">Ас жоп делира: „Ма ала иза соьга, Веза Эла! Цкъа а хьарам йолу хӀума йиъна яц аса“, — аьлла.</verse>
				<verse number="9">Стигаларчу озо юха а элира: „Дала магийтинарг хьарам ма хета“.</verse>
				<verse number="10">Иштта кхузза хилира, юха шаршу стигала хьалаяьхьира.</verse>
				<verse number="11">Оццу хенахь со волчу цӀенна уллохь кхо стаг сецира. Уьш со волчу Кхесрин-гӀалара бахкийтина бара.</verse>
				<verse number="12">Делан Сино, шек а ца волуш, цаьрца дӀагӀо элира соьга. ХӀара ялх динан ваша а веара соьца. Тхо соьга кхайкхинчу стеган цӀа чу дахара.</verse>
				<verse number="13">Цу стага дийцира, цӀа чохь шена малик гина бохуш. Малико аьлла цуьнга: „Яппи-гӀала ШамӀе схьакхайкха бахийта. Цунах кхин Кипа а олу.</verse>
				<verse number="14">Цо цхьа хаза кхаъ бахьар бу шуна. И кхаъ бахьанехь хьо а, хьан цӀеранаш а кӀелхьарбевр бу“.</verse>
				<verse number="15">Со дийца волавелча, хьалха тхуна тӀе санна, царна тӀе а Делан Са доьссира.</verse>
				<verse number="16">ТӀаккха суна Везачу Элан дешнаш дагадеара: „Яхьъяс адамаш хих чекхдохура, ткъа шу Делан Синах дузур ду“.</verse>
				<verse number="17">Цундела Дала леррина къобалвинчу Ӏийса-Элах тешачу вайна Дала делларг царна а делла хилча, со мила ву Далла дуьхьал вала?»</verse>
				<verse number="18">Оцу дерригене а ладоьгӀча, церан дуьхьал ала хӀумма а дацара. Цара Далла хастам бора: «Дала кхечу къаьмнех болчарна а некъ белла Шена тӀеберза, Шеца дахар хилийта».</verse>
				<verse number="19">Тапа вийначул тӀаьхьа шайна беш хиллачу ницкъах бевдда кӀелхьарбевлла Ӏийсах тешнарш Пиники-гӀала а, Кипре а, Антиохе а кхечира. Ӏийсах болу хаза кхаъ жуьгташна бен ца бовзуьйтура.</verse>
				<verse number="20">Амма цхьацца болу кипрхой а, къуринхой а Антиохе а баьхкина, Ӏийса-Элах лаьцна хаза кхаъ грекашна а бийца буьйлабелира.</verse>
				<verse number="21">Цаьрца Везачу Элан лаам бара, цундела дукхахберш церан дешнех а тешна, Везачу Элана тӀебирзира.</verse>
				<verse number="22">Цунах лаьцна хаам Ярушалаймехь болчу Ӏийсах тешачу нахе кхечира. Цигара Антиохе Бар-Нааб вахийтира.</verse>
				<verse number="23">ДӀа а кхаьчна, билггала хилла болу Делан къинхетам шена гича, хазахеттачу Бар-Нааба, Ӏийсах тешна нах иркарахӀиттош, къамел дира, Везачу Элах тешар шайн дегнашкахь латтаде бохуш.</verse>
				<verse number="24">Делах тешарх а, Делан Синах а вуьзна волу Бар-Нааб дика стаг вара. Иза бахьана долуш дукха адам Везачу Элана тӀедирзира.</verse>
				<verse number="25">Цул тӀаьхьа Бар-Нааб Тарсе вахара, цигахь Шаул лахархьама.</verse>
				<verse number="26">Схьа а лехна, иза Антиохе схьавалийра цо. Дийнна шарахь Ӏийра Бар-Нааб а, Шаул а Антиохехь Ӏийсах тешачийн тоба йолчохь. Цара дуккха а нахана хьийхира. Антиохехь дуьххьара элира мурдех «Дала леррина Къобалвинчун берш».</verse>
				<verse number="27">Цу хенахь Ярушалаймера Антиохе масех пайхамар веара.</verse>
				<verse number="28">Агав цӀе йолчу царах цхьаммо, дӀа а хӀоьттина, Делан Синан цӀарах хаам бира, римхойн пачхьалкхехь мацалла хӀуттур ю аьлла. (Калабди Рим-мехкан паччахь волчу хенахь хилира иза.)</verse>
				<verse number="29">Цундела мурдаша сацам бира, шайн тароне хьаьжжина, ЯхӀуд-махкахь болчу динан вежаршна гӀо дан.</verse>
				<verse number="30">Иштта дан а дира цара. Ярушалаймехь болчу Ӏийсах тешачийн тобанан тхьамданашка шаьш гулдинарг Бар-Наабе а, Шауле а дӀадахьийтира цара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="12">
				<verse number="1">Оццу хенахь ХӀарод-паччахь Ӏийсах тешачийн тобанна таӀзар дан волавелира, царах цхьаберш дӀа а лецийтира цо.</verse>
				<verse number="2">Омра а дина, Яхьъян ваша Якъуб тур тоьхна вейтира цо.</verse>
				<verse number="3">Жуьгташна и гӀуллакх хазахетийла хиъча, Кипа а дӀалацийтира цо. (Иза хилира совсазчу баьпкан дезачу дийнахь.)</verse>
				<verse number="4">Кипа, схьа а лаьцна, набахти чу воьллира. Иза ларван тӀемалойн йиъ тоба хӀоттийра, хӀора тобанехь виъ стаг а волуш. Пасахьан деза де чекхдаьлча Кипа халкъан кхелана хьалха хӀотто дагахь вара ХӀарод.</verse>
				<verse number="5">Кипа набахтехь велахь а, Ӏийсах тешачийн тоба даггара цунах лаьцна Деле доӀанаш деш яра.</verse>
				<verse number="6">Кхана кхеле воккху аьллачу буса, шина а агӀор зӀенаш а тоьхна, шина тӀемалочунна юккъехь вижина Ӏуьллура Кипа. НеӀарехь лаьтташ гӀарол а дара.</verse>
				<verse number="7">ЦӀеххьана Везачу Элан малик а деана, набахтин чоь серлаяьккхира. Муьшка йина, Кипа сама а ваьккхина, малико элира: «ХьалагӀатта сиха!» Цу сохьта Кипин куьйгаш тӀера зӀенаш охьаийгира.</verse>
				<verse number="8">Юха малико элира: «ТӀе хӀума а юха, кога мачаш а юха», — аьлла. Кипас цо ма-аллара дира. «Хьайна тӀе бедар а хьарчаяй, суна тӀаьхьахӀотта», — элира малико.</verse>
				<verse number="9">Кипа маликана тӀаьххье набахтера аравелира, дерриг а малико деш дерг самах хуьлуш дуйла а ца хууш. Цунна моьттура шена хӀоьттинарг цхьа сурт ду.</verse>
				<verse number="10">Уьш цхьана гӀаролах а, шолгӀачу гӀаролах а тӀех а бевлла, гӀала доьдучу аьчка кевнна тӀебаьхкира. Ков ша царна хьалха схьа а делладелла, уьш арабевлира. Бехачу урамехула чекхделира и шиъ, юха малик къайладелира.</verse>
				<verse number="11">Кипа меттавеача, цо элира: «ХӀинца билггала хаьа суна, Дала, Шен малик а даийтина, ХӀародан куьйгех а, жуьгташна луучу таӀзарх а со кӀелхьарваьккхинийла».</verse>
				<verse number="12">Дерригенах кхета а кхетта, Мареман цӀа долчухьа вахара Кипа. Марк аьлла цӀе йоккхучу Яхьъян нана яра и Марем. Цуьнан цӀа чохь дуккха а адам гулделлера доӀанаш дан.</verse>
				<verse number="13">Кипас ков тоьхча, Рода цӀе йолу ялхо дуьхьалъелира.</verse>
				<verse number="14">Цунна озах Кипа вевзира. Хазахетар совдаларна, ков дӀаделла йиц а елла, юха чуедира иза. «Кипа кевнехь ву!» — элира цо.</verse>
				<verse number="15">«Хьо лартӀехь юй!» — бохура цуьнга. Амма иза иштта ду бохура Родас. «Иза Кипин малик ду», — аьлла, сацам бира цара.</verse>
				<verse number="16">Цу хенахь Кипа ков детташ вара. Эххар а ков дӀадиллича, иза ган а гина, чӀогӀа цецбевлира уьш.</verse>
				<verse number="17">Куьйган эшарца уьш совца а бина, Кипас дийцира ша Дала набахтера араваккхарх лаьцна. «Кхунах лаций Якъубана а, кхечу вежаршна а дийцалаш», — аьлла, кхечу метте дӀавахара иза.</verse>
				<verse number="18">ШолгӀачу Ӏуьйранна тӀемалой боьхна хьийзара, цхьанна а ца хаьара Кипех хилларг.</verse>
				<verse number="19">ХӀарода омра дира, массанхьа а иза лаха аьлла, амма лехарх гӀуллакх ца хилира. ТӀаккха цо, тӀемалошка барт а хаьттина, уьш байийтира. Цул тӀаьхьа ХӀарода, ЯхӀуд-махкара Кхесрин-гӀала а вахана, цигахь жимма хан яьккхира.</verse>
				<verse number="20">ХӀарод Цорарчу а, ЦӀаданарчу а нахаца барт ийгӀина вара. И нах цуьнга шаьш тӀеэцийта лууш бара. Паччахьан цӀентӀехь куьйгалхо волу Балсат цӀе йолу цхьа стаг бертавалийра цара шайна гӀоьнна. Цу наха машар бийхира, хӀунда аьлча ХӀародан пачхьалкхера чудахьаш дара царна доу хӀума.</verse>
				<verse number="21">Билгалдаьккхинчу дийнахь паччахьан духар а дуьйхина, паччахьан гӀанта тӀе а хиина, нахе вистхилира ХӀарод.</verse>
				<verse number="22">Наха маьхьарий хьаькхира: «Иза Делан аз ду, адаман аз дац!» — аьлла.</verse>
				<verse number="23">Амма ХӀарода Дела ца лерира, цундела цу сохьта Делан малико, цамгар а тоьхна, вожийра иза. НӀаьнаша ваарна, хӀаллакьхилира иза.</verse>
				<verse number="24">Цу хенахь Делах долу Дош дӀасадаьржаш дара.</verse>
				<verse number="25">Шайна тӀедиллина гӀуллакх Ярушалаймехь чекх а даьккхина, вухавеара Бар-Нааб а, Шаул а. Марк аьлла кхин а цӀе йоккхуш волу Яхьъя а валийра цара шайца.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="13">
				<verse number="1">Антиохехь йолчу Ӏийсах тешачийн тобанехь бара пайхамарш а, Ӏелам нах а: Бар-Нааб а, шех кхин а Ӏаьржаниг олу ШамӀа а, къуринахо Луку а, мехкан куьйгалхочуьнца ХӀародца кхиъна волу Манаан а, Шаул а.</verse>
				<verse number="2">Цкъа уьш Везачу Элана гӀуллакх деш а, марха кхобуш а болчу хенахь Делан Сино элира: «Бар-Нааб а, Шаул а Ас цаьрга кхайкхинчу гӀуллакхна схьакъаставе Суна», — аьлла.</verse>
				<verse number="3">Далла гӀуллакх дина а, марха кхаьбна а бевлча, тӀе куьйгаш а дехкина, доӀа а дина, тӀедиллина гӀуллакх кхочушдан дӀавахийтира цара и шиъ.</verse>
				<verse number="4">Делан Сино вахийтина и ши векал Селевке кхечира, ткъа цигара хӀордкеманца Кипре дехьавелира.</verse>
				<verse number="5">Салам-гӀала схьа а баьхкина, цигахь жуьгтийн гуламан цӀеношкахь Делан Дош хьоьхура цара. Царна гӀо деш Яхьъя а вара цаьрца.</verse>
				<verse number="6">Ерриг а гӀайре тӀехула чекх а бевлла, ПатӀосе баьхкира уьш. Цигахь царна карийра жуьгтийн бозбунча а, харц шайх а волу Бар-ЮшаӀ. Цуьнан кхин а, Хьалом олий, цӀе йоккхура.</verse>
				<verse number="7">Римхойн проконсул Серги ПахӀал волчохь гӀуллакх деш вара иза. Проконсул хьекъал долуш стаг вара, шена Делан Дош хаза лаарна цо Бар-Наабе а, Шауле а схьакхайкхийтира.</verse>
				<verse number="8">Амма Хьалом (гочйича и цӀе «бозбунча» бохург ду) царна дуьхьал вара. Проконсул векалша хьоьхучух ца тешийта къахьоьгуш вара иза.</verse>
				<verse number="9">ТӀаккха Делан Синах вуьзна волчу Шаула (цуьнан, ПахӀал олий, кхин цӀе а йоккхура), нийсса Хьаломе дӀа а хьаьжна, элира:</verse>
				<verse number="10">«Иблисан кӀант а, нийса долчун мостагӀа а ву хьо! Аьшпех а, ямартлонах а вуьзна ву хьо. Везачу Элан нийса некъаш сетто кӀордор дац те хьуна цкъа а?</verse>
				<verse number="11">Везачу Элан ницкъ хьуна дуьхьал бу, цундела бӀаьрса а дайна, цхьана билггалчу ханна малхан серло ца гуш хир ву хьо». Цу сохьта бода буьйлира Хьаломна гонах. ДӀа а, схьа а тохавелира иза, куьг а лаьцна, ша дӀавигийта цхьаъ лоьхуш.</verse>
				<verse number="12">И хилларг а гина, Везачу Элах болчу хьехамах цецваьлла, Ӏийсах тийшира проконсул.</verse>
				<verse number="13">ПатӀосера ПахӀал а, цуьнан накъостий а Пампили-махкахь йолчу Перги-гӀала бахара хӀордахула. Уьш цигахь а битина, Ярушалайме юхавеара Яхьъя.</verse>
				<verse number="14">Пергера дӀа уьш писидийн Антиохе бахара. Шоьтан дийнахь жуьгтийн гуламан цӀийне а баьхкина, охьахевшира уьш.</verse>
				<verse number="15">Товрат а, пайхамарша яздинарш а дешначул тӀаьхьа гуламан цӀийнан хьаькамаша кхарна тӀе хабар даийтира: «Вежарий, нагахь нахана пайденна хин долу хӀума ала шун делахь, ала шайна», — аьлла.</verse>
				<verse number="16">ПахӀала, хьала а гӀаьттина, куьйган эшарца нехан гӀовгӀанаш а совцийна, элира: «Исраилхой а, Далла Ӏибадат деш болу хийрачу мехкашкара нах а, ладогӀалаш соьга!</verse>
				<verse number="17">Исраилан халкъан Дала хаьржина вайн дай. Мисар-махкахь долуш вайн халкъ дуккха а алсамдаьккхина Цо, цу махкара уьш Шен олаллин ницкъаца ара а баьхна.</verse>
				<verse number="18">Яьссачу арахь шовзткъа шарахь цаьргара дуьйлуш дерш собарца лайна Дала.</verse>
				<verse number="19">КанаӀанехь, ворхӀ халкъ хӀаллак а дина, церан латта Ша къастийначу халкъан доладаьккхина Цо.</verse>
				<verse number="20">И дерриг а хилла диъ бӀе шовзткъе итт шеран хенан йохалла. Цул тӀаьхьа Шамъал-пайхамар куьйгалле вллалц Дала кхелахой белла царна.</verse>
				<verse number="21">Юха халкъо шена паччахь вехна. Дала Бен-Яманан тӀаьхьенах волу Къушин кӀант Шаул велла царна. Шаула шовзткъа шарахь паччахьалла дина.</verse>
				<verse number="22">Цул тӀаьхьа Шаул дӀа а ваьккхина, Дала Дауд хӀоттийна паччахь. Цунах лаьцна Дала тоьшалла дина: „Суна Юшаян кӀант карийна, и стаг Сан даго тӀелоцуш ву. Цо кхочушдийр ду Сан гӀуллакхаш“.</verse>
				<verse number="23">Ша аьлла ма-хиллара, Даудан тӀаьхьенах волу Ӏийса кхайкхина Дала Исраилан халкъ кӀелхьардаккха.</verse>
				<verse number="24">Ӏийса вале Яхьъяс кхайкхам бира берриг а Исраил-махкахь нахе, Далла тӀе а дерзий, шаьш хих чекхдахийта аьлла.</verse>
				<verse number="25">Шена тӀедиллина декхар кхочушдина волуш, Яхьъяс олура: „Со шуна моьттург вац, хӀан-хӀа, Иза сол тӀаьхьа вогӀур ву, со Цуьнан мачийн бахтарш дӀадаста а хьакъ вац“.</verse>
				<verse number="26">Вежарий, ИбрахӀиман бераш, шу а, Делах кхоьру хийрачу мехкашкара дерш, и кӀелхьардовларх болу кхаъ вайна баийтина бара!</verse>
				<verse number="27">Ярушалаймера бахархошна а, церан хьаькамашна а Ӏийса ца вевзира. Цара кхел йира Цунна. Цу кеппара, хӀора шоьтан дийнахь вай доьшуш долу пайхамарийн дош кхочушхилира.</verse>
				<verse number="28">Иза вен Цуьнгара даьлла цхьа а хӀума ца карийра царна, амма Пулатера бакъо йийхира цара Иза хӀаллаквайта.</verse>
				<verse number="29">Цунах лаьцна хир ду аьлларг дерриг а кхочушдича, Иза жӀарах дӀатоьхначуьра охьа а ваьккхина, къубба чу виллира цара.</verse>
				<verse number="30">Амма Дала веллачуьра денвира Иза.</verse>
				<verse number="31">Кхин а дуккха а деношкахь Цуьнца Галилайра Ярушалайме баьхкинчарна гира Иза. Уьш хӀинца Цуьнан тешаш бу вайн халкъана хьалха.</verse>
				<verse number="32">Дала вайн дайшна дийр ду аьлла дикачух хаза кхаъ кхайкхош бу оха хӀинца.</verse>
				<verse number="33">Ӏийса а ваийтина, вайна, церан берашна, Дала кхочушдина Ша аьлларг. ШолгӀачу назми тӀехь яздина ду: „Хьо Сан кӀант ву, тахана Хьан Да хили Сох“.</verse>
				<verse number="34">Дала Иза веллачуьра денвина, Цуьнан дегӀана цкъа а талхар ца гайта. Цо аьлла оцунах лаьцна ишттачу дешнашца: „Даудана ваӀда деш аьлла долу сийлахь а, гуттар хиндолу а диканаш лур ду шуна“.</verse>
				<verse number="35">Кхечу меттехь яздина ду: „Ахьа Хьайна тешаме Волчунна вахкавалар гойтур дац“.</verse>
				<verse number="36">Амма Делан лаам кхочушбеш гӀуллакх дина волчу Даудан дегӀ кхелхинчул тӀаьхьа телхина дӀаделира. Иза шен дайшна уллохь дӀавоьллина вара.</verse>
				<verse number="37">Ткъа Дала веллачуьра Денвиначунна дегӀан талхар ца гайтира!</verse>
				<verse number="38">38-39 Цундела, сан вежарий, суна лаьа шуна хуийла, тахана Цуьнан дуьхьа шун къиношна гечдар ду шуна кхайкхош дерг. ХӀора Ӏийсах тешаш верг массо а хӀуманна тӀехь Далла хьалха бакъво, ткъа Муса-пайхамаран хьехамашкахь шун Далла хьалха бакъхила ницкъ бацара.</verse>
				<verse number="39">***</verse>
				<verse number="40">Хьовсалаш, шайца, пайхамарша ма-аллара, ца хилийта:</verse>
				<verse number="41">„Хьовсал, кхаьрдаш дерш! Шу, цец а девлла, лийр ду. Аса шун деношкахь шайна дийцича а, цкъа а шу тешар доцу хӀума дийр ду“».</verse>
				<verse number="42">ПахӀале а, Бар-Наабе а гуламан цӀийнера и шиъ дӀавоьдуш, дийхира, тӀедогӀучу шоьтан дийнахь хӀинца дийцинчух лаций дийца юха а вола аьлла.</verse>
				<verse number="43">Гулам дӀабирзира, амма дуккха а жуьгтий а, жуьгтийн дин тӀеэцна Далла Ӏибадат деш болу нах а ПахӀалний, Бар-Наабаний тӀаьхьабахара. Цу шиммо къамел дора цаьрца, Делан ниӀматехь хила бохуш, тешабора.</verse>
				<verse number="44">Вукху шоьтан дийнахь ерриг аьлла гӀала гулъелира Везачу Элан даше ладогӀа.</verse>
				<verse number="45">Цига мел адам деана гича, хьогӀах буьзира жуьгтий. ПахӀала дуьйцург емалдора цара оьзда доцучу хабарца.</verse>
				<verse number="46">ТӀаккха ПахӀала а, Бар-Нааба а майрра элира цаьрга: «Делан дош уггар хьалха шуна хьеха дезаш ду тхо. Амма аша и тӀе а ца лоцу, Дела волчохь долчу хедар доцучу дахарна шаьш хьакъ а ца хета, цундела оха къамел кхечу къаьмнех болчаьрга дийр ду.</verse>
				<verse number="47">И тӀедиллира тхуна Везачу Эло. Цо аьлла: „Ас Хьох кхечу къаьмнех болчарна серло йина, Хьоьгахула дуьненан массо а маьӀӀе кӀелхьардовлар кхачийта“».</verse>
				<verse number="48">И дерриг а хезча, баккхийбеш, Везачу Эло аьллачунна хастамаш бора кхечу къаьмнех болчара. Массо а Делаца долчу дахаре билгалбинарш Ӏийсах тийшира.</verse>
				<verse number="49">Везачу Элан дош цу меттехула дӀасадаьржаш дара.</verse>
				<verse number="50">Амма жуьгташа, Далла гӀуллакх деш болу, лоруш болу зударий а, гӀалара хьалхара нах а хьала а гӀовттийна, ПахӀал а, Бар-Нааб а шаьш долчу махкара эккхавайтира.</verse>
				<verse number="51">Цу гӀалара бахархошна дуьхьал хиларан тоьшаллина шайн когаш тӀера чан дӀа а егийна, векалш Иконе бахара.</verse>
				<verse number="52">Ткъа мурдаш баккхийберах а, Делан Синах а буьзна бара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="14">
				<verse number="1">Иконехь ПахӀал а, Бар-Нааб а гуттар а санна жуьгтийн гуламан цӀа чу вахара. Цара хьехам дика бар бахьана долуш, дуккха а жуьгтий а, кхечу къаьмнех болу нах а Ӏийсах тийшира.</verse>
				<verse number="2">Амма тешарна реза боцучу жуьгташа кхечу къаьмнех цхьаболу нах Ӏийсах тешначарна дуьхьалбехира, царах дог доккхуш.</verse>
				<verse number="3">ПахӀала а, Бар-Нааба а цигахь дуккха а хан яьккхира. Везачу Элах лаьцна майрра хьехам бора цара. Кхеран куьйгашца тамашийна хӀуманаш а, билгалонаш а гайтарца Шен къинхетамах болу хаза кхаъ чӀагӀбора Везачу Эло.</verse>
				<verse number="4">ГӀалара нах бекъабелира. Цхьаберш жуьгташкахьа бевлира, вуьш — векалшкахьа.</verse>
				<verse number="5">Кхечу къаьмнех болчу нехан а, жуьгтийн а шайн хьаькамашца цхьаьна барт хилира векалш сийсаз а бина, царна тӀулгаш детта.</verse>
				<verse number="6">Иза хаа а хиъна, гӀалара дӀабахара векалш. Уьш Ликона-махкарчу Листар а, Дерба а цӀе йолчу гӀаланашка а, царна гонахарчу меттигашка а арабевлира.</verse>
				<verse number="7">Цигахь хаза кхаъ кхайкхабора цара.</verse>
				<verse number="8">Листарехь Ӏаш цхьа стаг вара, винчу хенахь дуьйна а когаш лелаш а боцуш, цкъа дӀа а волавалаза.</verse>
				<verse number="9">Цо а ладугӀура ПахӀала хьехам бечу хенахь. Ша къамел деш цу стаге хьаьжначу ПахӀална гира цуьнан шен товаларх болу тешам.</verse>
				<verse number="10">«Когаш тӀе хьалагӀатта!» — элира цо заьӀапчуьнга. И стаг, хьала а гӀаьттина, дӀаволавелира.</verse>
				<verse number="11">ПахӀала динарг а гина, ликонан маттахь маьхьарий хьекха хӀиттира нах: «Вай долчу адамийн суьртехь деланаш баьхкина!» — бохуш.</verse>
				<verse number="12">Цара Бар-Наабах Зевс элира, ПахӀалах ХӀерми элира, хӀунда аьлча цо къамел алсамо дора.</verse>
				<verse number="13">Зевс цӀе йолчу цӀунна лерина цӀа дара гӀаланал арахьа. Цу цӀа чохь гӀуллакх деш волчу стага стерчий а далийра, зезагийн кочарш а деара гӀалин кевне, нахаца векалшна лерина сагӀа даккхархьама.</verse>
				<verse number="14">И шайна хезча, тӀера хӀуманаш а этӀош, нахана юкъа а лилхина, мохь бетташ къамел дира векалша Бар-Нааба а, ПахӀала а:</verse>
				<verse number="15">«ХӀара хӀун ду аша деш дерг? Меттадуьйла! Шу санна, адамаш ма ду тхо а! Оха шуна хаза кхаъ бохьу, шу оцу харц цӀушна тӀера стигал а, латта а, хӀордаш а, царна чохь дерг а кхоьллина волчу дийначу Далла тӀедерзийтархьама.</verse>
				<verse number="16">Хьалха Цо пурба лора нахана шайн некъашца лела,</verse>
				<verse number="17">амма Цо Шех тоьшалла дитина, шуна диканиг а деш: стигалара догӀа доуьйтий, шен хенна ялта кхуьуьйтий. Цо шуна кхача а ло, шун дегнаш хазахетарх а дузу».</verse>
				<verse number="18">И дешнаш аьлча а, кхарна тӀера сагӀа даккха гӀерташ болу нах халла совцабелира векалшка.</verse>
				<verse number="19">Антиохера а, Иконера а баьхкинчу цхьаболчу жуьгташа и нах шайна тӀеберзийра. Адамийн тоба, векалшна дуьхьал а яьлла, ПахӀална тӀулгаш детта йолаелира. Эххар а, иза велла моьттуш, такхийна гӀаланах араваьккхира цара.</verse>
				<verse number="20">Амма мурдаш шена гонах гулбелча, ПахӀал, хьала а гӀаьттина, гӀала юхавеара. ШолгӀачу дийнахь Бар-Наабаца Дерба олучу меттиге дӀавахара иза.</verse>
				<verse number="21">Цу гӀалахь хаза кхаъ а кхайкхийна, дуккха а мурдаш карийра царна. Цул тӀаьхьа векалш Листаре а, Иконе а, Антиохе а юхабаьхкира.</verse>
				<verse number="22">Цигахь, мурдаш дегнашца чӀагӀбеш, шайн тешарехь чӀогӀа хила бохуш, Ӏамабора цара. «Вай лан езаш дукха халонаш ю Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь хилале», — бохура цара.</verse>
				<verse number="23">Ӏийсах тешачийн хӀора тобанехь тхьамданаш а хӀиттийна, марханаш а кхобуш, доӀанашца уьш тешначу Везачу Элан кара белира векалша.</verse>
				<verse number="24">Цул тӀаьхьа, Писида-гӀалех чекх а бевлла, Пампили-махка баьхкира уьш.</verse>
				<verse number="25">Перга-гӀалахь хьехам чекх а баьккхина, Аттали-гӀала бахара векалш.</verse>
				<verse number="26">Ткъа Атталера хӀордкеманца уьш Антиохе дӀабахара. Цигахь Делан кара белла бара уьш, шайна тӀедиллина гӀуллакх дархьама. И гӀуллакх цара хӀинца кхочуш а дира.</verse>
				<verse number="27">Юха а баьхкина, Ӏийсах тешачийн тоба а гулйина, дийцира цара Дала шайгахула диначух а, Цо Шех тешаран неӀ кхечу къаьмнийн нахана схьаелларх а.</verse>
				<verse number="28">Уьш цигахь мурдашца еххачу хенахь Ӏийра.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="15">
				<verse number="1">ЯхӀуд-махкара Антиохе баьхкинчу наха бохура динан вежаршка: «Аша Муса-пайхамаран Ӏедалехь шаьш сунт ца дайтахь, шу кӀелхьардевр дац».</verse>
				<verse number="2">Цу тӀехула цхьана агӀор оцу нехан а, вукху агӀор ПахӀалан а, Бар-Наабан а чӀогӀа къовсам белира. ПахӀал а, Бар-Нааб а, шайца кхин накъостий а болуш, Ярушалайме вахийтира, и гӀуллакх векалшца а, Ӏийсах тешачийн тобанийн тхьамданашца а къасто.</verse>
				<verse number="3">Ӏийсах тешачийн тобано и гӀуллакх тӀе а диллина, дӀабоьлху уьш новкъахь, Пиникехь а, Шамран-махкахь а, севцира. Цигахь цара кхечу къаьмнех нах Далла тӀеберзарх лаьцна дуьйцура. Оцу хаамо массо а Ӏийсах тешачунна хазахетар дахьара.</verse>
				<verse number="4">Ярушалайме кхаьчча, Ӏийсах тешачийн тобанашкарчу наха а, векалша а, тхьамданаша а тӀеийцира уьш. ПахӀала а, Бар-Нааба а дийцира царна Дала шайгахула динчух дерригенах а лаьцна.</verse>
				<verse number="5">Парушхошна юкъахь болчу Ӏийсах тешачу наха, хьала а гӀевттина, элира: «Кхечу къаьмнийн нах хедийна хила а беза, цаьрга Муса-пайхамаро тӀедиллина декхарш кхочушде ала а деза».</verse>
				<verse number="6">Цу хьокъехь векалш а, тхьамданаш а кхеташоне гулбелира.</verse>
				<verse number="7">Дуккха а дийцинчул тӀаьхьа Кипас, хьала а гӀаьттина, элира: «Вежарий, шуна хаьа, хьалха цкъа Дала хаьржинера со вайна юкъара кхечу къаьмнийн нахана хаза кхаъ кхайкхо, уьш Ӏийсах тешийтархьама.</verse>
				<verse number="8">Далла девза адамийн дегнаш. Цо гайтира, Ша кхечу къаьмнийн нах тӀеоьцуш хилар, Шен Са а делла, царна а, вайна санна.</verse>
				<verse number="9">Дала цхьа а тайпа башхо ца йо царна а, вайна а юкъахь, хӀунда аьлча Цо, Шех тешар а делла, хьаналдина церан дегнаш.</verse>
				<verse number="10">Ткъа хӀинца хӀунда зоь Дела, вайн дайшка а, вайга а бахьа ца белла мохь мурдийн яьӀнаш тӀе а биллина?</verse>
				<verse number="11">Амма вай теша, кхечу къаьмнийн нах санна, Везачу Эло Ӏийсас къинхетам бар бахьанехь вай кӀелхьардевр хиларх».</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха массо а, дӀа а тийна, Дала кхечу къаьмнийн нахана юкъахь ПахӀалехула а, Бар-Наабехула а дайтинчу тамашийначу хӀуманех а, билгалонех а долчу цу шиннан дийцаре ладугӀуш вара.</verse>
				<verse number="13">Уьш бевлча, Якъуба элира: «Вежарий, ладогӀалаш соьга.</verse>
				<verse number="14">ШамӀа-Кипас дийцина вайна Дала юьхьанца кхечу къаьмнийн нехан гӀайгӀа барх а, царна юкъара Шена нах харжарх а лаьцна.</verse>
				<verse number="15">Цунах лаьцна пайхамарша а аьлла хӀокху дешнашца:</verse>
				<verse number="16">„Цул тӀаьхьа Аса, юха а веана, дохийна долу Даудан четар тодийр ду. Цуьнан саьлнаш метта а хӀиттийна, ирахӀоттор ду иза,</verse>
				<verse number="17">17-18 кхечу нахе Веза Эла каравайтархьама а, Сан дола даьллачу халкъашка Иза лахийтархьама а. Иштта боху и дерриге а хӀуманаш абадехь дуьйна дӀахоуьйтуш волчу Везачу Эло“.</verse>
				<verse number="18">***</verse>
				<verse number="19">Цундела суна хета, Далла тӀе бахка луучу кхечу къаьмнийн нахана вай дуьхьало ян ца оьшу аьлла.</verse>
				<verse number="20">Мелхо а, цаьрга кехат яздан деза вай, цӀуша бехйина хӀума ма яа аьлла а, нахаца леларх а, садукъдина дайинчу бежанийн жижигах а, цӀийх а ларло аьлла а.</verse>
				<verse number="21">Муса-пайхамаро тӀедиллинарг массо а гӀалахь хӀора Далла леринчу шоьтан дийнахь дукха хенахь дуьйна а хӀора гуламан цӀийнахь хьоьхуш ма ду».</verse>
				<verse number="22">Векалийн а, тхьамданийн а Ӏийсах тешачу тобанера массаьрца а барт хилира шайна юкъара ПахӀалца а, Бар-Наабаца а Антиохе масех стаг вахийта. Цара хаьржира Сали а, Бар-Сабба аьлла кхин цӀе йоккху ЯхӀуд а. И ши стаг вежаршна юкъахь куьйгалхо вара.</verse>
				<verse number="23">Цаьргахула хӀара чулацам болу кехат дахьийтира цара: «Векалшкара а, тхьамданашкара а, массо а шун вежаршкара а. Антиохера а, Сирера а, Киликера Ӏийсах тешачу кхечу къаьмнийн нахе. Маршалла ду шуьга!</verse>
				<verse number="24">Тхоьга хаам кхаьчна, шу долчу тхох дӀакъаьстина болу нах баьхкина аьлла, оха цига хьовсийна боццушехь. Цара шуна юкъахь шайн хьехамашца сингаттамаш баьхна боху.</verse>
				<verse number="25">Цундела оха сацам бина, тхайна юкъара масех стаг а хаьржина, уьш тхан хьомечу Бар-Наабаца а, ПахӀалца а шу долчу дӀабахкийта.</verse>
				<verse number="26">Вайн Дала леррина къобалвинчу Ӏийса-Элан дуьхьа шайн дахар кхерамечу хьоле хӀиттийна нах бу уьш.</verse>
				<verse number="27">Хаьржина волу ЯхӀуд а, Сали а воуьйту оха, тхаьш яздинарг цаьрга барта тӀечӀагӀдайта.</verse>
				<verse number="28">Делан Синан а, тхан а лаам бу шуна кхин хало ца ян, хӀара тӀедиллинарг доцург:</verse>
				<verse number="29">ЦӀушна сагӀина еана хӀума ца яар, цӀийх а, садукъдина дайинчу бежанийн жижигах а, нахаца леларх а лардалар. И дерриге а кхочушдахь, аша дика гӀуллакх дийр ду. Марша Ӏойла шу!»</verse>
				<verse number="30">Бахийтинарш Антиохе кхечира. Цигахь, Ӏийсах тешачийн тоба гул а йина, цаьрга кехат дӀаделира цара.</verse>
				<verse number="31">И дешча, дегнаш иракарахӀитточу цу хаамах самукъадаьлла бара нах.</verse>
				<verse number="32">ЯхӀуд а, Сали а ши пайхамар вара. Шайн дешнашца динан вежарийн дегнаш чӀагӀдеш, иракарахӀиттош бара уьш.</verse>
				<verse number="33">Цара жимма хан яьккхира цигахь. Цул тӀаьхьа динан вежарша, декъал а бина, диканиг хилар лаарца векалш болчу дӀахьовсийра уьш.</verse>
				<verse number="34">***</verse>
				<verse number="35">ПахӀал а, Бар-Нааб а Антиохехь сецира. Цигахь цара а, цаьрца болчу дуккха а кхечара а Везачу Элах долу дош хьоьхура.</verse>
				<verse number="36">Цул тӀаьхьа жимма хан яьлча, ПахӀала элира Бар-Наабе: «Вай Везачу Элах долу дош кхайкхийначу массо а гӀала а гӀой, динан вежарий муха Ӏаш бу хьовсий», — аьлла.</verse>
				<verse number="37">Бар-Наабана шеца, Марк олий, кхин цӀе йоккхуш волу Яхьъя схьаэца лиира.</verse>
				<verse number="38">Амма ПахӀал реза вацара, шаьш Пампилехь Ӏадда а дитина, болх чекхбаккхалц ца Ӏийна волу стаг шайца схьаэца.</verse>
				<verse number="39">Цу тӀехула царна юкъахь баьлла къовсам бахьанехь дӀасакъаьстира и шиъ. Бар-Нааб, шеца Марк а эцна, хӀордкеманца Кипре вахара.</verse>
				<verse number="40">Ткъа ПахӀала Сали хаьржира. Динан вежарша декъал а вина, новкъа велира иза.</verse>
				<verse number="41">Сири-махка а, Килик-махка а вахара иза. Цигахь цо Ӏийсах тешачийн тобанаш чӀагӀйора.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="16">
				<verse number="1">ПахӀал хьалха Дербе а, юха Листаре а веара. Цигахь Ӏаш Ӏийсан мурд вара, Тимапи цӀе а йолуш. Цуьнан нана Ӏийсах тешаш йолу жуьгти яра, ткъа да грек вара.</verse>
				<verse number="2">Листарехь а, Иконехь а динан вежарша хаза дош олура Тимапих лаьцна.</verse>
				<verse number="3">Гена новкъа волуш, иза шеца вига а лиъна, ПахӀала Тимапи сунт вира. Цу меттехь Ӏаш болчу жуьгтийн дуьхьа дира цо иза, хӀунда аьлча царна хаьара Тимапин да грек вуйла.</verse>
				<verse number="4">ГӀалара гӀала а воьдуш, ПахӀала а, Тимапис а Ярушалаймехь векалша а, тхьамданаша а кхечу къаьмнийн нахана хьарам дина тӀедиллинарг дӀахоуьйтура.</verse>
				<verse number="5">Цу гӀуллакхо Ӏийсах тешачийн тобанаш иракарахӀиттайора, церан тешар чӀагӀдора, денна а и тобанаш стамлора, Ӏийсах тешнарш алсамбовлуш.</verse>
				<verse number="6">Делан Сино бакъо ца елира ПахӀалгӀарна Асиа-махкахь хьеха, цундела церан некъ Пхьарга-махкахула а, Галата-махкахула а бара.</verse>
				<verse number="7">Миси-мехкан дозанна тӀекхаьчча, церан лаам хилира Битхьуни-махка баха, амма Ӏийсан Сино ца магийра царна иза.</verse>
				<verse number="8">ТӀаккха уьш, Миси-махкахула чекх а бевлла, Троя-гӀала баьхкира.</verse>
				<verse number="9">Буьйсанна, сурт а хӀоьттина, Македонера цхьа стаг гира ПахӀална. Цу стага дийхира: «Македоне схьа а волий, тхуна гӀо дехьа», — аьлла.</verse>
				<verse number="10">И сурт хӀоьттинчул тӀаьхьа тхан сацам хилира, Дала тхоьга кхойкху, царна хаза кхаъ бовзийта аьлла. Тхо цу сохьта Македоне даха новкъа девлира.</verse>
				<verse number="11">Троя-гӀалара тхо нийсса Самотраке дӀакхечира, ткъа цигара шолгӀачу дийнахь грекийн Неаполе дахара.</verse>
				<verse number="12">Неаполера дӀа тхан некъ римхой Ӏаш болчу Македон-мехкан коьртачу гӀала Пилапе бара. Цу гӀалахь оха масех де даьккхира.</verse>
				<verse number="13">Шоьтан дийнахь, гӀалин кевнах ара а девлла, хи тӀе даьхкира тхо. Тхуна моьттура цигахь Делах тешаш берш доӀане гулло дукха хьолахь. Охьахевшина, цигахь гулбеллачу зударшца къамеле девлира тхо.</verse>
				<verse number="14">Царна юкъахь Тхьайтир-гӀалара еана, Лидия цӀе йолуш цхьа зуда яра. Иза цӀен деза кӀадеш духкуш яра. Лидия Дела лоруш яра. ПахӀале ладоьгӀучу хенахь Везачу Эло дог схьадиллира цуьнан, ПахӀала дуьйцучух тешийтархьама.</verse>
				<verse number="15">Цо а, цуьнан цӀерачара а шаьш хих чекхбахийтира. Лидияс тхоьга чукхайкхира: «Со Элах тешаш шаьш лоруш елахь, сан хӀусаме а дуьйлий, хьошалгӀахь Ӏе», — аьлла. Тхо и йолчу дахара.</verse>
				<verse number="16">Цкъа доӀа дечу метте тхо дӀадоьлхучу хенахь новкъахь тхуна дуьхьалкхийтира цхьа йоӀ-ялхо. Хиндерг хоуьйтуш жин дара цунна чохь. Шен хӀусамдайшна боккха пайда бахьара цу ялхочо, нахана хиндерг а дуьйцуш.</verse>
				<verse number="17">ПахӀална а, тхуна а тӀаьхьа а йогӀуш, мохь беттара цу йоӀа: «ХӀара нах Веза Воккхачу Делан ялхой бу! КӀелхьарваларе боьду некъ кхайкхош бу хӀорш!» — бохуш.</verse>
				<verse number="18">Цо хӀора дийнахь беттара и мохь. Эххар а, собар кхача а дина, ПахӀала, юха а вирзина, элира жине: «Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан олаллин цӀарах ас омра до хьоьга: арадала цунна чуьра!» Цу сохьта жин йоӀанна чуьра араделира.</verse>
				<verse number="19">ХӀусамдай кхийтира йоӀа шайна бахьаш болчу пайданах шаьш довларх. Цара ПахӀал а, Сали а, схьа а лаьцна, гӀалин хьаькамашна тӀе майдане дӀатакхийра.</verse>
				<verse number="20">Римхойн кхелахошна тӀе уьш схьа а балийна, элира цара: «ХӀара нах жуьгтий бу. ХӀорш бахьана долуш вайн гӀалахь синтеме дац.</verse>
				<verse number="21">Кхара дуьйцуш долу гӀиллакхаш вайна, римхошна, я тӀеэца а, я лело а товш дац».</verse>
				<verse number="22">Гулбелларш, бехкаш дохучарна тӀе а тайна, ПахӀална а, Салина а дуьхьалбевлира. Кхелахоша, тӀера хӀуманаш дӀа а яхий, кхарна гӀожмаш етта элира.</verse>
				<verse number="23">ЧӀогӀа етта а йиттина, набахти чу кхиссира векалш, гӀаролан хьаькаме леррина хӀорш ларбе а аьлла.</verse>
				<verse number="24">И омра хезча, гӀаролан хьаькамо уьш чуьрчу цӀа чу боьхкира, дечиган буржалш а тоьхна.</verse>
				<verse number="25">Буьйса юккъе яханчу хенахь ПахӀал а, Сали а доӀанаш деш а, Далла лерина назманаш олуш а вара, ткъа кхин болу тутмакхаш цаьрга ладугӀуш бара.</verse>
				<verse number="26">ЦӀеххьана, ерриг а набахти меттах а хьовш, чӀогӀа мохк бегийра. Массо а неӀ дӀаеллаелира, массо а тутмакхийн гӀоьмаш охьаийгира.</verse>
				<verse number="27">Самаваьллачу гӀаролан хьаькамна массо а неӀ йиллина гира. Тур а даьккхина, ша-шена тоьхна, вала гӀерташ вара иза. Цунна моьттура чубоьхкинарш бевдда.</verse>
				<verse number="28">Амма ПахӀал кхиира мохь тоха: «Ма велахь хьо хӀаллак! Тхо дерриш а кхузахь ду!» — аьлла.</verse>
				<verse number="29">«Серло я!» — аьлла, омра а дина, набахти чу хьаьдира хьаькам. Вега а веш, ПахӀална а, Салина а хьалха горавуьйжира иза.</verse>
				<verse number="30">И шиъ ара а ваьккхина, цо хаьттира: «Хьомсара элий, ас хӀун дан деза? Муха кӀелхьарвала веза со?» — аьлла.</verse>
				<verse number="31">«Везачу Элах Ӏийсах теша хьо, — аьлла, жоп делира цара, — тӀаккха хьо а, хьан цӀеранаш а кӀелхьарбевр бу».</verse>
				<verse number="32">ТӀаккха цара Везачу Элах долу дош хьийхира цунна а, массо а цӀерачарна а.</verse>
				<verse number="33">Буьйсанна, оцу хан яьллачу хенахь, набахтин хьаькамо церан чевнаш йилира. Цо а, цуьнан цӀерачара а цу сохьта шаьш хих чекхбахийтира.</verse>
				<verse number="34">Юха уьш шен цӀа а бигна, царна шун хӀоттийра цо. Набахтин хьаькам шен цӀерачаьрца хазахеташ вара, хӀунда аьлча иза Делах тешнера.</verse>
				<verse number="35">Де тӀекхаьчча, кхелахоша эпсарш бахийтира набахте, омра а дина: «И нах дӀахеца», — аьлла.</verse>
				<verse number="36">Набахтин хьаькамо элира ПахӀале: «Кхелахоша хьо а, Сали а дӀахеца аьлла! Шуьшиъ маьрша дӀаваха йиш йолуш ву!»</verse>
				<verse number="37">Амма ПахӀала элира: «Цхьа а кхел а ца еш, етта а йиттина, набахти чу кхиссира цара тхо, Риман бахархой доллушехь. Ткъа хӀинца тхо къайлаха дӀахеца гӀерта уьш? ХӀан-хӀа, шаьш, схьа а баьхкина, тхо арахеца деза цара».</verse>
				<verse number="38">Эпсарша дӀаэлира и дерриге а кхелахошка. ПахӀал а, Сали а римхо ву аьлла хезча, уьш кхерабелира.</verse>
				<verse number="39">Схьа а баьхкина, хӀара шиъ къинтӀера а ваьккхина, набахтера араваьккхира цара, гӀалара дӀагӀахьара аьлла, дехар а дина.</verse>
				<verse number="40">Набахтера араваьлча, ПахӀал а, Сали а Лидиян цӀа чу вахара. Цигахь динан вежаршца вовшах а кхетта, уьш иракарахӀиттийра цара. Цул тӀаьхьа хӀорш кхин дӀа а бахара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="17">
				<verse number="1">Уьш, Ампиполехула а, Аполлонехула а чекх а бевлла, Тассалник-гӀала баьхкира. Цигахь жуьгтийн гуламан цӀа дара.</verse>
				<verse number="2">Ша гуттар а ма-ваххара, кхаа шоьтан дийнахь цу чу а воьдуш, Делан Йозанаш тӀера масалш а далош, нахаца къамел дора ПахӀала.</verse>
				<verse number="3">Цо дуьйцура цигахь гулбеллачу нахана Дала леррина Къобалвинчун баланаш лан дезарх а, веллачуьра Иза денваларх а лаьцна. Ас шуьга вуьйцуш волу и Ӏийса Дала леррина Къобалвинарг ву бохура ПахӀала.</verse>
				<verse number="4">Царах цхьаберш, Ӏийсах а тешна, ПахӀалах а, Салих а дӀакхийтира. Далла Ӏамал еш болу дуккха а Грекийн-махкара нах а, лоруш болу зударий а бара царна юкъахь.</verse>
				<verse number="5">Амма тӀаьхьа ца хӀиттина, Ӏийсах а ца тешна, хьагӀ лаьцна болу жуьгтий, гӀалин майданара харцахьа лела нах схьа а эцна, тобане а гулбелла, гӀала марсаяха хӀиттира. Ясонан цӀийна улло а баьхкина, ПахӀал а, цуьнан накъостий а халкъана хьалха хӀитто гӀертара уьш.</verse>
				<verse number="6">ПахӀалгӀар ца карийча, цара Ясон а, кхин а цхьаболу динан вежарий гӀалин хьаькамашна тӀе дӀатакхийра, маьхьарий а хьоькхуш: «Кху дуьненан а синтем байина хӀара нах хӀинца кхуза а кхечи,</verse>
				<verse number="7">Ясона хӀорш тӀе а ийци! Берриш хӀорш паччахьо тӀедиллинчунна дуьхьал бовлуш бу, кхара кхин паччахь ву боху, иза Ӏийса ву а боху».</verse>
				<verse number="8">Цу хаамо адам а, гӀалара Ӏедал а карзах даьккхинера.</verse>
				<verse number="9">Ясонера а, вукху динан вежаршкара а закъалт а даьккхина, уьш дӀахийцира цара.</verse>
				<verse number="10">Динан вежарша ПахӀал а, Сали а цу сохьта буьйсанна Берия олучу гӀала дӀавахийтира. Цига дӀа а кхаьчна, уьш жуьгтийн гуламан цӀийне бахара.</verse>
				<verse number="11">Кхузарчу нехан дегнаш Тассалникерачарел алссам делладелла дара цо дуьйцург тӀеэца. Цара боккхачу лаамца тӀеийцира дош. Делан Йозанаш а Ӏамадора цара, денна а ПахӀала дуьйцург бакъ дуй хаархьама.</verse>
				<verse number="12">Ӏийсах тийшира дуккха а жуьгтий а, грекийн хьалдолу зударий а, тоъал божарий а.</verse>
				<verse number="13">Тассалник-гӀалахь болчу жуьгташна Берия-гӀалахь ПахӀала Делан дош хьехний хиъча, уьш цига баьхкира, адам карзах а доккхуш.</verse>
				<verse number="14">ТӀаккха динан вежарша ПахӀал сихонца хӀордан йисте дӀавахийтира, ткъа Сали а, Тимапи а цигахь сецира.</verse>
				<verse number="15">ПахӀал новкъа воккхучара иза Атина-гӀала дӀавигира. Цуьнгара Салига а, Тимапига а дахьа кост а эцна, сиха цхьаьнакхетархьама новкъабевлира уьш.</verse>
				<verse number="16">Сали а, Тимапи а схьаваре хьоьжуш, Атинехь холчохь вара ПахӀал, хӀунда аьлча гӀала юьззина цӀуш бара цунна гуш.</verse>
				<verse number="17">Жуьгтийн гуламан цӀа чохь жуьгташца а, Далла Ӏибадат дечу грекашца а, тӀаккха хӀора дийнахь базаран майданахь цигахь хуьлучу нахаца а къамел дора цо.</verse>
				<verse number="18">Эпикураш а, стоикаш а аьлла, шайх цӀе йоккхучу цхьаболчу Ӏилманчаша къуьйсура цуьнца. Царах цхьаболчара бохура: «ХӀара хабарча хӀун ала гӀерташ ву?», вукхара бохура: «Иза, схьагарехь, хийра деланаш буьйцуш верг ву». Цара иштта алар бахьана дара ПахӀала Ӏийсах а, веллачуьра денваларх а лаьцна дийцар.</verse>
				<verse number="19">Цара иза, схьа а лаьцна, лаккхарчу кхеташоне валийра: «Ахь хьоьхуш долу керла хӀума тхан хаа таро йолуш дуй?» — аьлла.</verse>
				<verse number="20">«ХӀунда аьлча цхьа тамашийна хӀума ду тхуна хезнарг, цундела иза хӀун ду хаа лаьара тхуна?»</verse>
				<verse number="21">(Атина-гӀалин бахархойн а, цаьрца Ӏаш болчу кхечу мехкашкарчу нехан а чӀогӀа самукъадолура массо а хенахь керлачуьнга ладугӀуш я керланиг дуьйцуш.)</verse>
				<verse number="22">Кхеташонна юккъе а хӀоьттина, ПахӀала элира: «Атинахой, суна го шу къаьсттина суьпа нах дуй,</verse>
				<verse number="23">хӀунда аьлча шун гӀалахула езачу меттигашкахула чекхволуш, суна карийра шена тӀехь сагӀа доккху тӀулг. Цу тӀехь яздина дара: „Вевзаш воцучу Далла“. Цундела шайна мила ву а ца хууш, аша Ӏибадат деш волу Дела ву ас шуна вуьйцург.</verse>
				<verse number="24">Дуьне а, цу чохь дерг а кхоьллина волу, стигалан а, лаьттан а Эла волу Дела куьйга динчу цӀенош чохь Ӏаш вац.</verse>
				<verse number="25">Адамийн куьйгаша Далла гӀуллакх деш делахь а, Цунна хӀума а оьшуш дац. Цо Ша ло адамна дахар а, садеӀар а, кхин дерриге а.</verse>
				<verse number="26">Цхьана адамах Цо кхоьллира массо а адамийн халкъаш, уьш массо а Лаьтта тӀехь Ӏайтархьама, хьалххе царна цхьа билггала заманаш а, Ӏан меттиг а къастийна,</verse>
				<verse number="27">цаьрга Дела лахийтархьама: цара Иза лаха а тарло, царна Иза каро а тарло (бакъдерг аьлча, Иза вайна хӀоранна а генахь-м вац).</verse>
				<verse number="28">ХӀунда аьлча „Иза бахьана долуш вай дехаш а, меттахдовлуш а, Ӏаш а ду“. Шун цхьаболчу байташ язъярхоша аьлла: „Тхо Цуьнан бераш ду“.</verse>
				<verse number="29">Иштта, Делан бераш долчу вайна мотта ца оьшу Дела адаман хьекъалца а, говзаллица а кхоьллинчу тӀулгах, я деших, я детих тера ву.</verse>
				<verse number="30">ХӀума ца девзаш яьккхинчу ханна Дала бехке ца до шу, амма хӀинца массо а адамашка, массанхьа а, лелийначунна дохко а довлий, Шена тӀедерза аьлла, омра до Цо.</verse>
				<verse number="31">ХӀунда аьлча Цо билгалдаьккхинчу дийнахь Ша къастийначу Стагехула дерриг а дуьненна нийсонца кхел йийр ю, массарна а тоьшаллина Иза веллачуьра ден а вина».</verse>
				<verse number="32">Велларг денварх лаьцна хезча, цхьаберш ца бешаш бела хӀиттира, ткъа вукхара бохура: «Цунах лаьцна тӀаккхахула ладогӀа луур ду тхуна».</verse>
				<verse number="33">ПахӀал царна юкъара дӀавахара.</verse>
				<verse number="34">Цхьаберш, цунна тӀаьхьа а хӀиттина, Ӏийсах тийшира. Царна юкъахь бара лаккхарчу кхеташонан декъахо волу Дайнас а, Дамират цӀе йолу зуда а, кхиберш а.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="18">
				<verse number="1">Цул тӀаьхьа ПахӀал Атина-гӀалара дӀа а вахана, Коринт-гӀала веара.</verse>
				<verse number="2">Цигахь цунна карийра Ӏакхила цӀе а йолуш, Понта-махкара схьаваьлла волу цхьа жуьгти. Ӏакхила шен зудчуьнца ПхьаьрскӀилатаца Итали-махкара схьавеана вара, хӀунда аьлча Калабди-паччахьо массо а жуьгташка Рим-гӀалара дӀагӀо аьллера. ПахӀал Ӏакхилий, Парскилий ган веара.</verse>
				<verse number="3">Уьш, ша санна, четарш деш буйла хиъча, иза цаьрца болх а беш сецира.</verse>
				<verse number="4">ХӀора шоьтан дийнахь жуьгтийн гуламан цӀийнехь къамел дора цо, жуьгтий а, грекаш а Ӏийсах тешийта гӀерташ.</verse>
				<verse number="5">Македонера Сали а, Тимапи а схьавеача, ПахӀала шен ерриг а хан хьехамаш беш дӀахьора. Цо тоьшалла дора жуьгташна хьалха, Дала леррина Къобалвинарг Ӏийса ву бохуш.</verse>
				<verse number="6">Амма цара дуьхьалонаш а еш, дов дора цунна. ТӀаккха ПахӀала, шен бедарш тӀера чан дӀа а егийна, элира цаьрга: «Къа а, бала а шайн бехкенна хуьлда шуна, со хӀуманна а бехке вац. ХӀинца со кхечу къаьмнийн нах болчу воьду».</verse>
				<verse number="7">Гуламан цӀа чуьра ара а ваьлла, Дела лоруш волчу Тата-Йовсут цӀе йолу стаг волчу вахара иза. Татин цӀенош гуламан цӀенна уллохь дара.</verse>
				<verse number="8">Жуьгтийн гуламан цӀийнан хьаькам волу Крисп а, берриге а цуьнан цӀеранаш а Ӏийсах тийшира. ПахӀале ладоьгӀна болу дуккха а Коринт-гӀалара бахархоша, Ӏийсах а тешна, шаьш хих чекхбахийтира.</verse>
				<verse number="9">Цкъа буьйсанна ПахӀална сурт хӀоьттира. Везачу Эло элира цуьнга: «Кхера ма кхера! Нахаца къамел кхин а де, вист ца хуьлуш ма Ӏе!</verse>
				<verse number="10">ХӀунда аьлча Со хьоьца ву, цхьаьнгге а хьуна вон болх а балур бац — кху гӀалахь Сан дуккха а нах ма бу», — аьлла.</verse>
				<verse number="11">Цхьана шарахь эха шарахь Ӏийра цигахь ПахӀал, нахана Делан дош хьоьхуш.</verse>
				<verse number="12">Цу хенахь Ахай-мехкан куьйгалхо Гилани вара. Жуьгташа, вовшах а кхетта, ПахӀал, схьа а лаьцна, цунна тӀе кхеле валийра. Цара бохура:</verse>
				<verse number="13">«ХӀокху стага нахана хьоьхуш долу Далла де боху гӀуллакх вайн Ӏедалца догӀуш дац».</verse>
				<verse number="14">ПахӀал вистхилла а валале, Гиланис элира жуьгташка: «Нагахь санна цхьа зулам я вон болх хиллехь, сан бахьана хир дара шуьга, жуьгташка, ладогӀа.</verse>
				<verse number="15">Амма дерриг а гӀуллакх дешнашца а, цӀерашца а, шун Ӏедалца а доьзна ду, цундела шаьш къастаде иза. Суна цу гӀуллакха тӀехь кхелахо хила ца лаьа».</verse>
				<verse number="16">Цо лаьхкира уьш кхел ечуьра.</verse>
				<verse number="17">ТӀаккха цара, гуламан цӀийнан хьаькам волу Состанам схьа а лаьцна, кхел ечу цӀийна хьалха цунна йиттира. Амма Гиланин цхьана а кепара бала ца хилира цу белхан.</verse>
				<verse number="18">Цигахь дуккха а деношкахь Ӏийна, Сири вахара ПахӀал, динан вежарий а битина. ПхьаьрскӀилат а, Ӏакхила а дара цуьнца. Кенахари цӀе йолчу меттехь шен месаш дӀалергира цо, ша Далла хьалха дина ваӀда кхочушдар билгалонна.</verse>
				<verse number="19">Уьш Эпас-гӀала кхечира. ПхьаьрскӀилата а, Ӏакхила а цигахь сецира. ПахӀал ша жуьгтийн гуламан цӀийне вахара, жуьгташца къамел дархьама.</verse>
				<verse number="20">Цара дийхира цуьнга, шайца кхин а Ӏе аьлла, амма иза реза ца хилира.</verse>
				<verse number="21">Ткъа, дӀавоьдуш, цо элира: «Далла лаахь, со юхавогӀур ву шу долчу». Цул тӀаьхьа иза хӀордкеманца Эпас-гӀалара дӀавахара.</verse>
				<verse number="22">ХӀордан йистехь йолчу Кхесрин-гӀала а веана, цигахь ца соцуш, Ярушалайме, лома, хьалавахара ПахӀал. Цигара Ӏийсах тешачийн тобане маршалла а хаьттина, Антиохе охьавахара иза.</verse>
				<verse number="23">Цигахь жимма хан а яьккхина, кхидӀа а шен некъ бира цо, Галатин а, Пхьаргин а мехкашкара цхьана гӀалара вукху гӀала а воьдуш, массо а мурдаш шайн Ӏийсах тешарехь чӀагӀ а беш.</verse>
				<verse number="24">Апа-Леса цӀе йолу цхьа жуьгти веара Эпас-гӀала. Иза Искандар-гӀалара схьаваьлла вара. Къамелана говза а волуш, Делан Йозанаш дика девзаш вара иза.</verse>
				<verse number="25">Цунна дика хаьара Везачу Элан некъах лаьцна. Даггара а, нийса а дуьйцура цо Ӏийсах лаьцна, Яхьъяс нах хих чекхбахарх лаьцна бен шена ца хуъушехь.</verse>
				<verse number="26">Цо майрра дуьйцура гуламан цӀийнехь. ПхьаьрскӀилатана а, Ӏакхилана а цо дуьйцург хезча, цара иза шайн цӀа дӀа а вигна, кхин а дика кхетош Дала нахана беллачу некъах лаьцна дийцира цунна.</verse>
				<verse number="27">Ахай-махка ваха цунна лиъча, динан вежарша цунна гӀонна цигахь болчу мурдашка кехат яздира, хӀара тӀеэца аьлла. Цига ша дӀакхаьчча, цо доккха гӀо дира Делан лаамца Ӏийсах тешначарна.</verse>
				<verse number="28">Цо нахана хьалха жуьгтий къарбора, Делан Йозанашна тӀе а чӀагӀдеш, Дала леррина Къобалвинарг Ӏийса ву бохуш.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="19">
				<verse number="1">Апа-Леса Коринтехь волчу хенахь, ломан некъашкахула чекх а ваьлла, Эпас-гӀала веара ПахӀал. Цигахь масех мурд а карийна,</verse>
				<verse number="2">цо хаьттира: «Шаьш Ӏийсах тешначу хенахь Делан Са тӀеийцирий аша?» — аьлла. Цара элира цуьнга: «Тхуна-м ца хезна Делан Са адамашна тӀедуссу бохуш».</verse>
				<verse number="3">«ТӀаккха хих чекхдовлар муьлхачу тайпана хилла шун?» — аьлла, хаьттира цо. «Яхьъяс Ӏама ма-дарра хилла-кх», — аьлла, жоп делира цара.</verse>
				<verse number="4">Юха ПахӀала элира: «Яхьъяс хих чекхдахар, стаг, дохко а ваьлла, Далла тӀевирзина аьлла, дара. Цо кхойкхура шена ТӀаьхьавогӀучух тешаре, ма-дарра аьлча, Ӏийсах тешаре».</verse>
				<verse number="5">И шайна хезча, цара шаьш Везачу Элан Ӏийсан дола довлуш, хих чекхдахийтира.</verse>
				<verse number="6">ПахӀала тӀе куьйгаш а дехкина, царна тӀе Делан Са доьссича, уьш тайп-тайпана тамашийна меттанаш дийца а, Делера болу хаам бан а хӀиттира.</verse>
				<verse number="7">Уьш верриг а шийтта гергга стаг вара.</verse>
				<verse number="8">ПахӀала жуьгтийн гуламан цӀийне а веана, кхаа баттахь, ца кхоьрруш, хьеха а хьийхира, къийса а къийсира, жуьгтий ша Делан Олаллех лаьцна дуьйцург бакъ хиларх тешо гӀерташ.</verse>
				<verse number="9">Амма царах цхьаберш, дар а белла, Ӏийсах ца тешна юхабевлира, нахана хьалха Везачу Элан некъах лаьцна харцдерг а дуьйцуш. ПахӀал уьш болчуьра дӀавахара, шеца Ӏийсан мурдаш а эцна. Цо хӀора дийнахь къуьйсура Тиранан долахь долчу, нах гуллучу цӀийнехь.</verse>
				<verse number="10">Иштта шина шарахь хилира, цундела Асиа-махкахь бехачу берриг а жуьгташна а, грекашна а Везачу Элах долу дош хезнера.</verse>
				<verse number="11">Дала ПахӀалан куьйгашца инзаре хӀуманаш дора.</verse>
				<verse number="12">Цо куьг тоьхна йовлакхаш а, хьалха ухкурш а дӀа а кхоьхьуш, цомгуш болчу нахана тӀейохкура. Цу нахана дарба хуьлура, ткъа жинаш долчарна чуьра уьш арадовлура.</verse>
				<verse number="13">ГӀалара гӀала а боьлхуш, нахана чуьра жинаш арадохуш лелаш болу цхьаболу жуьгтий, цомгушчу нахана тӀехӀиттича, Везачу Элан Ӏийсан цӀе йоккхуш хуьлура: «ПахӀала Шех лаьцна дуьйцучу Ӏийсан дуьхьа арадала цу стагана чуьра», — олий.</verse>
				<verse number="14">Изза дора жуьгтийн динан коьртачу ден Сакхавин ворхӀ кӀанта а.</verse>
				<verse number="15">Амма цкъа жино элира цаьрга: «Ас Ӏийса а къобалво, ПахӀал а вевза суна, ткъа шу муьлш ду?» — аьлла.</verse>
				<verse number="16">И жин шена чохь долу стаг вежарех летира. Етта а йиттина, церан хӀуманаш, этӀош, дӀа а кхийсина, царна тӀехь толам баьккхира цо. Берзина, чевнаш йина а болуш, цу цӀа чуьра аралилхира вежарий.</verse>
				<verse number="17">И хилларг Эпас-гӀалахь бехачу массо а жуьгташна а, грекашна а хиира. Уьш чӀогӀа кхерабеллера. Везачу Элан Ӏийсан цӀе кхин а сов лорура цара.</verse>
				<verse number="18">Дуккха а Ӏийсах тешнарш богӀура шайгара девллачу къинойх лаьцна дийца а, даре дан а.</verse>
				<verse number="19">Ткъа бозбунчалла лелийначу дуккха а наха, шайн тептарш гул а дина, массарна а хьалха дагийра. Церан мах лерича, иза бара шовзткъе итт эзар драхма цӀе йолу дато ахча.</verse>
				<verse number="20">И тамашийна хиламаш бахьана долуш Везачу Элах долу дош шуьйра даьржаш а, нуьцкъала хуьлуш а дара.</verse>
				<verse number="21">И хӀума хиллачул тӀаьхьа Македонехула а, Ахаехула а Ярушалайме ваха сацам бира ПахӀала. Цо элира: «Цигахь хилча, со Рим ган а декхарийлахь ву», — аьлла.</verse>
				<verse number="22">Цо шен накъостех шиъ, Тимапи а, Арсати а, Македоне вахийтира, ткъа ша Асиахь сецира.</verse>
				<verse number="23">Оцу муьрехь Везачу Элан некъана дуьхьал дуккха а адамийн карзахдовлар хилира.</verse>
				<verse number="24">Дамарти цӀе а йолуш, цхьа дато пхьар вара Ӏаш. Цо детих Артеми цӀе йолчу цӀунна лерина кегийра цӀенош дора. Цо а, цуьнан накъосташа а бечу балхо царна дуккха а пайда хуьлуьйтура.</verse>
				<verse number="25">Дамартис, шен накъостий а, кхин пхьераш а гулбина, элира: «Вежарий, шуна хаьа, вайн белхах вайна дика пайда хуьлийла.</verse>
				<verse number="26">Шуна гуш а, хезаш а ду оцу ПахӀала хӀокху Эпас-гӀалахь хилла ца Ӏаш, ерриг а Асиа-махкахь адам тешийна хилар, адамийн куьйгашца кхоьллина деланаш, деланаш бац бохуш.</verse>
				<verse number="27">Вайна хӀоьттина болу кхерам, хӀара вай беш болу болх нахана дош ца хетар хилла ца Ӏа. Вайн сийлахьчу зуда-делан Артемин цӀа хӀумма а доцург хир ду, ткъа цуьнан шен а, ерриг а Асиа-махко а, дуьнено а лоруш йолчу, сийлалла довр ду».</verse>
				<verse number="28">И къамел а хезна, оьгӀазбахана уьш маьхьарий хьекха хӀиттира: «Сийлахь ю Эпасера Артеми!» — бохуш.</verse>
				<verse number="29">Ерриг а гӀала карзахъелира. Адамаш гӀалахь нах гуллучу метте — театре дӀахьаьлхира, шайца ши македонхо, ПахӀалан накъостий, Гаяс а, Арестах а, такхийна.</verse>
				<verse number="30">ПахӀал нах гулбеллачу метте ваха лууш вара, амма мурдаша ца вахийтира иза.</verse>
				<verse number="31">Цу хенахь Эпас-гӀалахь Ӏаш болчу кхуьнан доттагӀаша, Асиин маьӀ-маьӀӀерачу меттигашкара куьйгалхоша шайн хьадалчаш бахкийтира нах гулбеллачу ма гӀахьара аьлла.</verse>
				<verse number="32">Цу хенахь вовшахкхетта нах боьхна бара. Цхьаболчара, цхьаъ бохуш, маьхьарий деттара, вукхара — важа, ткъа дукхахболчарна шаьш хӀунда гулделла а ца хаьара.</verse>
				<verse number="33">Жуьгташа аларца нахана юкъара Искандар цӀе йолу цхьа стаг схьаваьккхира. Иза, куьг а айина, адамийн гӀовгӀа сацо гӀоьртира, дерг дийцархьама.</verse>
				<verse number="34">Амма иза жуьгти вуй хиъча, наха цхьабосса маьхьарий хьаькхира. Шина сахьтехь гергга диттира цара маьхьарий: «Сийлахь ю Эпасера Артеми!» — бохуш.</verse>
				<verse number="35">ГӀалара йозанчас дӀатедира адам: «Эпасера нах! Дуьнен чохь хьанна ца хаьа, Эпас-гӀала сийлахьчу Артемин цӀа а, стигалара охьабоьжна, беза лоруш болу тӀулг а ларбеш юйла?</verse>
				<verse number="36">Цуьнан шеко йоцу дела шу синтеме а, сих ца луш а хила деза.</verse>
				<verse number="37">Аша кхуза хӀара ши стаг валийна, амма кхара вайн Артемин цӀа чуьра хӀумма а ца лачкъийна, я цунна лен а ца лийна хӀорш.</verse>
				<verse number="38">Нагахь санна Дамарти а, цуьнца болу кхин пхьераш а цхьаъ бехке хеташ белахь, царна кхел а ю, кхелахой а бу: вовшашка кхеле кхайкха, шайна лаахь.</verse>
				<verse number="39">Нагахь санна шун кхин ала а, хатта а хӀума делахь, иза вай чӀагӀбинчу гуламехь къастор ду.</verse>
				<verse number="40">Тахана хиллачу хӀокху гӀовгӀанашна вай бехке дарна кхерам бу. Цхьа а бахьана дац хӀара хилларг нийса дара ала». Иза а аьлла, цо адам дӀадахийтира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="20">
				<verse number="1">Адамийн карзахдийларш дӀасевцча, Ӏийсан мурдаш схьа а кхайкхина, цаьрга дог иракарахӀоттош къамел а дина, церан Ӏодика а йина, Македоне дӀавахара ПахӀал.</verse>
				<verse number="2">Ша воьдучу новкъахь нахана тӀекхаьч-кхаьчначохь Ӏийсах тешачийн дог ойуш дерг дуьйцура цо. Юха иза грекийн махка веара.</verse>
				<verse number="3">Цигахь цо кхо бутт баьккхира. Сири-махка иза дӀаваха кечвеллачу хенахь жуьгташа къайлаха барт бира цунна дуьхьал. Цо сацам бира, Македонехула Сири-махка юхаваха.</verse>
				<verse number="4">Цуьнца бара накъостий: Берия-гӀалара Пирран кӀант Сопатар а, Тассалник-гӀалара Арестах а, Секант а, Дерби-гӀалара Гаяс а, Тимапи а, Асиа-махкара шиъ — ТихӀак а, ТрахӀим а.</verse>
				<verse number="5">Уьш, хьалххе дӀа а бахана, Троя-гӀалахь тхоьга хьоьжуш Ӏаш бара.</verse>
				<verse number="6">Пилап-гӀалара хӀордкеманца дӀадахара тхо, совсазчу баьпкан деза денош дӀадевлча. Пхи де даьлча, Троя-гӀалахь царах дӀа а кхетта, цигахь кӀира даьккхира оха.</verse>
				<verse number="7">КӀийрандийнахь тхо бепиг дохо цхьаьна гулделча, ПахӀала къамел дира тхоьца. ШолгӀачу дийнахь дӀаваха ойла йолуш волу иза буьйса юккъе яххалц Ӏийра хьехамаш беш.</verse>
				<verse number="8">Лакха тӀехь, тхо гулделлачу цӀа чохь, дуккха а къуьданаш яра.</verse>
				<verse number="9">ПахӀала шен хьехам бечу хенахь корехь хиъна Ӏачу Овтах цӀе йолчу жимачу стагана наб озийра. Эххар а наб кхетта волу иза кхозлагӀчу гӀат тӀера корехула чувуьйжира. Меттахъхьавича, иза велла карийра.</verse>
				<verse number="10">Чувоьссинчу ПахӀала, тӀе а кхетта, иза мара а воьллина, элира: «Са ма гатде аша, иза денвелла», — аьлла.</verse>
				<verse number="11">Хьалаваьлла, царна бепиг а декъна, хӀума йиира цо. Сахиллалц цаьрца къамел деш а Ӏийна, дӀавахара иза.</verse>
				<verse number="12">Денвелла волу жима стаг цӀа вигира. Массарна а цунах боккха синтем белира.</verse>
				<verse number="13">Тхо хӀордкеманца Асс-гӀала дахара, цигара ПахӀал схьаэцархьама. ГӀаш цига ваха ойла йолчу цо, и гӀуллакх иштта кхочушде аьлла, тӀедиллинера тхуна.</verse>
				<verse number="14">Асс-гӀалахь тхаьш вовшахкхетча, иза тхешан кеманна тӀе хьала а ваьккхина, Митилена-гӀала дӀадахара тхо.</verse>
				<verse number="15">ШолгӀачу дийнахь цигара дӀа а дахана, Хиос-гӀайренна гена доццуш севцира тхо. КхоалгӀачу дийнахь, хил дехьа а девлла, Самос-гӀайрен юххехь севцира, ткъа кхин цхьа де даьлча, Милет-гӀала кхечира.</verse>
				<verse number="16">Ша сиха хиларна, Асиа-махкахь кхин хан а ца йойуш, Эпас-гӀалина чу а ца воьрзуш, тӀехвала сацам хилира ПахӀалан. Цунна лаьара, аьтто балахь, жуьгтийн ШавуӀот цӀе йолу ялта чудерзоран деза де тӀекхачале Ярушалайме кхача.</verse>
				<verse number="17">Милет-гӀалара Эпас-гӀала нах бахийтира ПахӀала цигарчу Ӏийсах тешачийн тобанан тхьамданашка кхайкха.</verse>
				<verse number="18">Уьш схьакхаьчча, цо элира цаьрга: «Асиа-махка схьавеъначу дийнахь дуьйна со шайца муха Ӏийна хаьа шуна.</verse>
				<verse number="19">Даггара Везачу Элана гӀуллакх дина ас, Цунна муьтӀахь а волуш, жуьгташа къайлаха барт бар бахьана долуш, баланаш а ловш, сингаттам тӀебеача, бӀаьрхиш а Ӏенош.</verse>
				<verse number="20">Шек а ца волуш, нахана юкъахь, арахь а, цӀенош чу воьдуш а, шуна пайденна болу хьехам бина ас.</verse>
				<verse number="21">Жуьгташка а, грекашка а цхьабосса дийцина ас, лелийначунна дохко а довлий, Далла тӀедерза бохуш. Вайн Везачу Элах Ӏийсах тешаре а кхайкхина ас цаьрга.</verse>
				<verse number="22">Ткъа хӀинца Делан Синан лаамца Ярушалайме воьду со. Цигахь сайга хӀун догӀу а ца хаьа суна.</verse>
				<verse number="23">Цхьа хӀума хаьа суна, хӀора гӀалахь а Делан Сино олу соьга сан халонаш а, набахти а лан дезарх лаьцна.</verse>
				<verse number="24">Амма сайн дахар цхьана а меха ца хета суна, Везачу Элера Ӏийсагара схьаэцна гӀуллакх — нахана Делан боккхачу къинхетамах болу хаза кхаъ дӀакхачор — кхочушдарца сайн дахаран некъ чекхбаьлчхьана.</verse>
				<verse number="25">Кхин а хаьа суна, шух цхьанна а — со шен цӀа чохь а хилла, Делан олалла кхайкхош со кхин гур вац.</verse>
				<verse number="26">Цундела ас тахана дӀахоуьйту шуьга, со жоьпехь хир вац, шух цхьаъ кӀелхьара ца валахь,</verse>
				<verse number="27">хӀунда аьлча, шеко а йоцуш, хӀумма а лечкъа а ца деш, ас шуна Делан лаам кхайкхийна.</verse>
				<verse number="28">Сема а, ларлуш а хила. Ӏуьно Ӏалашбо бажа санна, Дала Шен КӀентан цӀийца яьккхина йолу, Делан Сино шайга елла йолу Ӏийсах тешачу нехан тоба Ӏалашъе.</verse>
				<verse number="29">Суна хаьа, со шуна юкъара дӀавахча, дерачу берзалоша, чу а яьхкина, бажа кхоор бац.</verse>
				<verse number="30">Шуна юкъахь а хир бу бакъдерг харцахьадаьккхина нах, Ӏийсан мурдаш шайна тӀаьхьа хӀитторхьама.</verse>
				<verse number="31">Цундела сема хила. Шайна аса кхаа шарахь дийнахь а, буса а хӀоранга а бӀаьрхица дӀахьедина хилар дагахь латтаде.</verse>
				<verse number="32">ХӀинца ас шу дӀало Деле. Цуьнан къинхетамах болчу хазачу кхоо шу Ӏалашдийр ду, хӀунда аьлча цо шу чӀагӀдан а, Делан нахана юкъахь декъахой хилийта а мега.</verse>
				<verse number="33">Со шуьца волчу хенахь цкъа а цхьаннан а ахча а, деза духар а ца дезна суна.</verse>
				<verse number="34">Шуна шайна а хаьа, сан а, соьца болчеран а хьашташ кхочушдинарш хӀара куьйгаш дуйла.</verse>
				<verse number="35">Сайн ницкъ ма-кхоччу, ас шуна гайтина, ас санна, аша а къахьегарца гӀийлачарна гӀо дан дезар. Дагахь латто деза Везачу Элан Ӏийсан дешнаш: „ХӀума дӀадаларехь ирс алсам ду схьаэцарехь чул“».</verse>
				<verse number="36">Иза а аьлла, горахӀоьттина, массаьрца а доӀа дира цо.</verse>
				<verse number="37">Массо а воьлхура, иза мара а вуьхкуш, цунна барташ а дохуш.</verse>
				<verse number="38">Уьш сингаттаме бара, къаьсттина цо аьллачу дешнийн бахьаненна: «Со кхин гур вац шуна». Цул тӀаьхьа цара иза хӀордкеманна тӀе дӀакхетийра.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="21">
				<verse number="1">Царах дӀа а къаьстина, тхо нийсса Кос-гӀайре тӀе дахара. ШолгӀачу дийнахь Родос-гӀайре тӀе кхечира, ткъа цигара Патару-гӀала дахара.</verse>
				<verse number="2">Тхуна Пиника-махка доьдуш долу хӀордкема карийра. Цу тӀе а девлла, дӀадахара тхо.</verse>
				<verse number="3">Къилбаседехула Кипр-гӀайрена тӀех а девлла, тхо Сири-махка дахара. Цигахь Цора-гӀалахь севцира, хӀунда аьлча хӀордкема дассо дезаш дара.</verse>
				<verse number="4">Цу гӀалахь Ӏийсан мурдаш а карийна, цаьрца цхьа кӀира даьккхира оха. Делан Сино хьехарна цара элира ПахӀале, Ярушалайме ма гӀахьара аьлла.</verse>
				<verse number="5">Тхан цигара хан чекхъяьлча, тхо кхин дӀа а дахара. Цара массара а шайн зударшца а, берашца а тхо гӀалара новкъа дехира. ХӀордан йистехь, гора а хӀиттина, доӀа дира оха.</verse>
				<verse number="6">Церан хӀораннан Ӏодика а йина, тхо хӀордкеманна тӀе девлира. Ткъа уьш шайн цӀа бирзира.</verse>
				<verse number="7">Цора-гӀалара кхидӀа а тхайн некъ бира оха. Ӏаккхо-гӀалахь севцина, динан вежаршка маршалла а хаьттина, цаьрца цхьа де даьккхира оха.</verse>
				<verse number="8">ШолгӀачу дийнахь новкъа девлла Кхесрин-гӀала кхечира тхо. Ярушалаймехь хаьржинчу ворхӀ гӀоьнчех цхьаннан, хаза кхаъ нахана юкъахь баржош болчу Пилапан хӀусамехь севцира тхо.</verse>
				<verse number="9">Цуьнан маре яхаза йиъ йоӀ яра. Уьш Делера болу хаам бовзуьйтуш бара.</verse>
				<verse number="10">ЯхӀуд-махкара Агав цӀе йолу пайхамар вале, оха масех де даьккхира цигахь.</verse>
				<verse number="11">Тхо долчу а веана, ПахӀалан доьхка схьа а эцна, шен когаш а, куьйгаш а дихкина, элира цо: «Делан Сино боху: „ХӀара доьхка долу стаг, иштта дӀа а вихкина, кхечу къаьмнийн нахе дӀалур ву Ярушалаймера жуьгташа“».</verse>
				<verse number="12">Иза а хезна, тхо а, цигахь болу нах а, ПахӀале Ярушалайме ма гӀахьара бохуш, дехарш дан хӀиттира.</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха ПахӀала элира: «ХӀун до аша, хӀунда доьлху шу, сан дог а дохош? ДӀавехкарна хьовха, Везачу Элан Ӏийсан дуьхьа Ярушалаймехь вала а кийча ву со».</verse>
				<verse number="14">Цуьнан ойла хийца ницкъ а ца кхаьчна, оха, совца а севцина, элира: «Везачу Элан лаам кхочушхуьлда».</verse>
				<verse number="15">Юха, кечам а бина, Ярушалайме дахара тхо.</verse>
				<verse number="16">Кхесрин-гӀалара цхьаболу мурдаш баьхкира тхоьца. Цара тхо дуьххьарлерчу мурдех волчу Кипрерачу Мансонна тӀе дигира. Цуьнан хӀусамехь севцира тхо.</verse>
				<verse number="17">Ярушалайме дӀакхаьчча, динан вежарша дика тӀеийцира тхо.</verse>
				<verse number="18">ШолгӀачу дийнахь ПахӀал тхоьца Якъуб волчу веара. Иза волчохь берриге а тхьамданаш гулбеллера.</verse>
				<verse number="19">Цаьрга маршалла а хаьттина, ПахӀала дийцира шегахула кхечу къаьмнийн нахана юкъахь Дала динчух лаьцна.</verse>
				<verse number="20">Дийцинарг а хезна, Далла хастам а бина, цара элира ПахӀале: «Ваша, хьуна дуккха а эзарнаш Ӏийсах тешна жуьгтий хилар гуш ду. Уьш массо а товратан хьехамаш ларбеш а бу.</verse>
				<verse number="21">Хьох лаьцна цаьрга олура, кхечу къаьмнийн нахана юкъахь Ӏаш болу жуьгтий ахь Ӏамабо, Муса-пайхамарах дӀакъаста бохуш, шайн бераш сунт ма де бохуш, вайн гӀиллакхаш ма леладе бохуш.</verse>
				<verse number="22">ТӀаккха хӀун дан деза оха? Царна хуур ма ду хьо веанийла.</verse>
				<verse number="23">Оха ма-аллара де: тхуна юкъахь нигат дина виъ стаг ву.</verse>
				<verse number="24">Уьш схьа а эций, цӀинваларан Ӏадатах чекхвала. Кортош дошуш церан хиллачу харжах ахча дӀа а ло. ТӀаккха хӀоранна а хуур ду, хьох лаьцна дуьйцург цхьа а бакъ доций, хьо товратан хьехамаш кхочушбеш вуйла.</verse>
				<verse number="25">Ткъа Ӏийсах тешна болчу кхечу къаьмнийн нахе оха кехат яздина, цӀушна сагӀина деана жижиг а ма даа, цӀийх а ларло, садукъдина дайинчу бежанийн жижиг а ма даа, нахаца а ма лела аьлла».</verse>
				<verse number="26">ПахӀала, билгалбаьхна нах схьа а эцна, шолгӀачу дийнахь цаьрца цӀинваларан Ӏадат кхочушдира. Юха, Делан цӀийнан керта а веана, цо хаам бира, шайн цӀиндаларан денош чекх маца девр ду а, шайх хӀораннах а сагӀа маца доккхур ду а аьлла.</verse>
				<verse number="27">ВорхӀалгӀа де чекхдолуш Асиа-махкарчу жуьгташна Делан цӀийнан кертахь гира иза. Дерриг а адам карзах а даьккхина, цара ПахӀал схьалецира,</verse>
				<verse number="28">маьхьарий а детташ: «Исраилхой! ГӀо дейша! ХӀара массанхьа а нах товратан хьехамашна а, вайн халкъана а, Делан цӀенна а дуьхьалбохуш ву. Ткъа хӀинца, Делан цӀийне кхечу къомах болу нах — грекаш — а балийна, сийлахьа меттиг бехйина кхо».</verse>
				<verse number="29">(Хьалха, Ярушалаймехь, Эпас-гӀалара ТрахӀим гинера нахана, цундела моьттура царна цо иза Делан цӀийне валийна.)</verse>
				<verse number="30">ГӀала карзахъяьллера, массо а агӀора адамаш дара схьауьдуш. Цара, схьа а лаьцна, ПахӀал Делан цӀийнан кертара аратакхийра. НеӀарш цу сохьта тӀекъевлира.</verse>
				<verse number="31">Иза вен гӀертара уьш. ТӀеман коьрта хьаькамна тӀе хаам кхечира, ерриг а Ярушалайм карзахъяьлла ю аьлла.</verse>
				<verse number="32">Цу сохьта тӀемалой а, эпсарш а схьа а эцна, нахана тӀевахара иза. ТӀеман коьрта хьаькам а, тӀемалой а гина, ПахӀална еттачуьра севцира уьш.</verse>
				<verse number="33">ТӀаккха тӀеман коьрта хьаькам цунна тӀевахара. ПахӀал схьа а лацийтина, иза шина зӀенаца дӀавехка аьлла, омра дира цо. ПахӀале иза мила ву, цуьнгара хӀун даьлла аьлла, хаьттира цо.</verse>
				<verse number="34">Нахана юкъахь, цхьаболчара цхьаъ, вукхара важа дуьйцуш, маьхьарий девлира. ГӀовгӀа хиларна бакъдерг къаста а ца делла, ПахӀал гӀопе дӀавигийтира тӀеман коьртачу хьаькамо.</verse>
				<verse number="35">Лами улло иза вигича, тӀемалойн иза айина вига дийзира, нах дукха оьгӀазбахана, цунах лата гӀерташ хиларна.</verse>
				<verse number="36">Цунна тӀаьхьабогӀучу наха маьхьарий хьоькхура: «Ве иза!» — бохуш.</verse>
				<verse number="37">ГӀопана улло кхочуш, ПахӀал тӀеман коьртачу хьаькаме вистхилира: «Хьоьга хатта мегар дуй ас?» Вукхо элира: «Хьуна грекийн мотт хаьа?</verse>
				<verse number="38">ХӀета, хьо виъ эзар талорхо яьссачу ара а ваьккхина, гӀаттам айина мисархо вац-кх?»</verse>
				<verse number="39">ПахӀала жоп делира: «Со Килик-махкара Тарс-гӀалара жуьгти ву, евзаш йолчу гӀалин вахархо. Ас доьху хьоьга, бакъо лохьа суна нахаца къамел дан».</verse>
				<verse number="40">Вукхо бакъо елча, ПахӀала, ламин тӀегӀанаш тӀе а хӀоьттина, нах совцо куьг айира. Массо а дӀатийначу хенахь иза Ӏебархойн маттахь къамел дан хӀоьттира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="22">
				<verse number="1">«Вежарий, ладогӀалаш хӀинца ас аьндолчуьнга».</verse>
				<verse number="2">ПахӀала шайга арамхойн мотт буьйцу хезча, нехан къамелаш кхин а лагӀделира. ТӀаккха цо элира:</verse>
				<verse number="3">«Со жуьгти ву, Килик-махкара Тарс-гӀалахь вина волу, амма кхузахь, хӀокху гӀалахь, кхиийна ву. Сан устаз хилла Гамлиал. Цо леррина Ӏамийна суна вайн дайн товратан хьехамаш. Тахана шу санна, хьалха Далла леррина гӀуллакх деш вара со.</verse>
				<verse number="4">Ӏийсан некъа тӀе бевлларш, лоьхкуш, лечу хьола тӀе бохура ас. Божарий а, зударий а, схьа а лоьцуш, набахти чу кхуьйсура.</verse>
				<verse number="5">Цунна тоьшалла дийр ду шуна динан коьртачу дас а, баккхийчеран кхеташоно а. Цаьргара дара ас схьаэцна Дамасакх-гӀаларчу вежаршка-жуьгташка долу кехаташ. Со цига вахара, схьа а лаьцна, Ярушалайме таӀзар дан нах схьабало.</verse>
				<verse number="6">Амма новкъа вогӀуш, со Дамасакх-гӀалина герга веача, делкъахан хуьлучу заманчохь стигалара къеггина серло кхийтира суна гонах.</verse>
				<verse number="7">Лаьтта воьжча, суна сайга луьйш долу аз хезира: „Маржа Шаул яӀ! Соьга бала хӀунда хьоьгуьйту ахь?“</verse>
				<verse number="8">Ас хаьттира: „Мила ву хьо, Веза Эла?“ Цо элира соьга: „Со Назартера Ӏийса ву, ахь эккхийна лелош волу“.</verse>
				<verse number="9">Соьца хиллачарна серло гира, амма соьга луьйш Волчун аз къаьсташ ца хезира.</verse>
				<verse number="10">Ас хаьттира: „ХӀун де ас, Веза Эла?“ Везачу Эло элира: „Хьала а гӀаттий, Дамасакх-гӀала гӀо, цигахь эр ду хьоьга ахьа дан дезарг“.</verse>
				<verse number="11">Суна хӀумма а ца гора, хӀунда аьлча къеггинчу серлоно бӀаьрса дайинера сан. Цундела некъахоша, куьг а лаьцна, Дамасакхе дӀавигира со.</verse>
				<verse number="12">Далла муьтӀахь а волуш, товратан хьехамаш кхочушбеш а волуш, цигахь Ӏачу жуьгташа дика цӀе йоккхуш волу Хьанас цӀе йолчу стага,</verse>
				<verse number="13">тӀе а веана, элира соьга: „Ваша Шаул! Са гуо хьайна!“ Цу сохьта суна Хьанас гира.</verse>
				<verse number="14">Цо элира: „Вайн дайн Дала къастийна хьо Цуьнан лаам хаа, къаьсттина Бакъверг ган а, Цуьнан багара аз хаза а.</verse>
				<verse number="15">ХӀунда аьлча гиначунна а, хезначунна а Цуьнан теш хир ву хьо массо а адамна хьалха.</verse>
				<verse number="16">ХӀун деш Ӏа хьо? Хьала а гӀаттий, хьо хих чекх а ваккхийтий, къинойх цӀанло, Везачу Эле Ӏийсага кхойкхуш“.</verse>
				<verse number="17">Со Ярушалайме вухавеача, Делан цӀийнан кертахь доӀа дечу хенахь суна шовкъ еара:</verse>
				<verse number="18">Суна Ӏийса гира. Цо соьга элира: „Сихло, Ярушалаймера аравала, хӀунда аьлча кхузахь хьан Сох долу тоьшалла тӀеоьцур дац“.</verse>
				<verse number="19">Ас элира: „Веза Эла, цу нахана хаьа, со жуьгтийн гуламан цӀеношкахула леллий, Хьох тешаш болу нах схьалоьцуш а, царна етташ а.</verse>
				<verse number="20">Хьан теш хиллачу Тапин цӀий Ӏеначу хенахь со цигахь лаьтташ вара, и гӀуллакх къобал а деш, иза вуьш болчеран бедарш а ларъеш“.</verse>
				<verse number="21">ТӀаккха Цо элира соьга: „ДӀавало, Аса генна вохуьйту хьо, кхечу къаьмнийн нах болчу“».</verse>
				<verse number="22">И дешнаш аллалц ладугӀуш хилла болу нах, уьш хезча, маьхьарий хьекха хӀиттира: «Ве иза! Иза ваха хьакъ вац!» — бохуш.</verse>
				<verse number="23">Цара маьхьарий а хьоькхуш, тӀера хӀуманаш охьа а кхуьйсуш, оьгӀазбахана хӀаваэ чан кхуьйсучу хенахь,</verse>
				<verse number="24">тӀеман коьртачу хьаькамо омра дира, ПахӀал гӀопе дӀа а вигина, барт хатта, шед а етташ, наха кхунна тӀе мохь мича бахьанина хьоькху хаархьама.</verse>
				<verse number="25">Амма шед етта доьхкаршца ша дӀавихкинчу хенахь ПахӀала элира цигахь лаьттачу тӀеман хьаькаме: «Нийса дуй Риман вахархочунна, кхел а ца еш, шед еттар?»</verse>
				<verse number="26">Иза хезна, тӀеман хьаькамо, шел лакхарчунна тӀе а вахана, элира: «Хьо хӀун деш ву? И стаг Риман вахархо ма ву».</verse>
				<verse number="27">Лакхарчу тӀеман хьаькамо, тӀе а веана, хаьттира ПахӀале: «Алал, хьо Риман вахархо вуй?» «Ву», — аьлла, жоп делира ПахӀала.</verse>
				<verse number="28">Коьртачу тӀеман хьаькамо элира: «Суна дуккха а ахча ийшира Риман вахархо хила». ПахӀала элира: «Со вичхьана а ву Риман вахархо».</verse>
				<verse number="29">Ша Риман вахархо дӀавихкинийла хиъча, коьрта хьаькам кхеравелира цуьнга барт хатта кечбелларш цу сохьта юхабевлира, ткъа.</verse>
				<verse number="30">ШолгӀачу дийнахь жуьгташа ПахӀал стенна бехке во хаа а лиъна, цунна тӀера зӀенаш дӀа а яхийтина, динан коьртачу дайшка а, ерриг а коьртачу кхеташоне а гулло а аьлла, ПахӀал, схьа а валийна, царна хьалха хӀоттийра тӀеман хьаькамо.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="23">
				<verse number="1">Коьртачу кхеташонехь болчу нахе а хьаьжна, ПахӀала элира: «Сан вежарий! Таханлерчу дийне кхаччалц Далла хьалха цӀеначу дагца ваьхна ву со».</verse>
				<verse number="2">Динан коьртачу дас Хьанаса шена хьалха лаьттачаьрга омра дира, ПахӀалан бета тӀе хӀума тоха аьлла.</verse>
				<verse number="3">ПахӀала элира цуьнга: «Дала таӀзар дийр ду хьуна, шалхонча. Нийсонца кхел ян хиъна хьо воллушехь, хӀетте а харцонца суна етта боху-кх ахь».</verse>
				<verse number="4">Уллохь лаьтташ болчара элира ПахӀале: «Динан коьрта да сийсазво ахьа!»</verse>
				<verse number="5">ПахӀала элира: «Вежарий, суна ца хаьара иза динан коьрта да вуйла. Яздина ма ду: „Хьайн халкъана тӀехь волчу куьйгалхочунна лен ма ле“, — аьлла».</verse>
				<verse number="6">Гулбеллачу нахана юкъахь цхьаберш садукъой, вуьш парушхой буйла шена хиъча, ПахӀала чӀоггӀа элира: «Вежарий! Со парушхочух схьаваьлла парушхо ву шуна! Белларш денлуш хиларх сатесна ву аьлла, валийна ву со кхуза кхел ян».</verse>
				<verse number="7">Цо иза аьлча, парушхошна а, садукъошна а юкъахь къовсам а баьлла, гулам шина декъе бекъабелира.</verse>
				<verse number="8">(ХӀунда аьлча садукъоша я денвалар а, я маликаш а, я жинаш а дац бохура, ткъа парушхоша и дерриг а ду бохура.)</verse>
				<verse number="9">Йоккха гӀовгӀа елира. Парушхойх болчу цхьаболчу Ӏеламчу наха бохура: «Кху стагехь тхуна цхьа а вониг ца карадо. ХӀун хаьа, цуьнца жино я малико къамел динийла».</verse>
				<verse number="10">Амма къовсам кхин а чӀогӀа баларна тӀеман коьртачу хьаькамо, наха ПахӀал вовшахваккхарна кхоьруш, тӀемалошка омра дира, лаха чу а диссий, царна юкъара схьа а ваккхий, иза гӀопе дӀавига аьлла.</verse>
				<verse number="11">Буьйсанна ПахӀална хьалха хӀоьттинчу Везачу Эло элира: «ЧӀагӀлолахь, ПахӀал. Айхьа Ярушалаймехь Сох тоьшалла ма-дарра, Римехь а иза дан дезар ду хьан».</verse>
				<verse number="12">Де тӀекхаьчча, цхьаболчу жуьгташа, барт а бина, дуй биира ПахӀал шаьш веллалц ца яа а, ца мала а.</verse>
				<verse number="13">И барт беш декъехь вара шовзткъа сов стаг.</verse>
				<verse number="14">Динан коьрта да а, баккхий нах а болчу а бахана, цара элира: «Оха дуй биъна ца яа а, ца мала а ПахӀал веллалц.</verse>
				<verse number="15">Аша а, коьртачу кхеташоно а тӀеман коьртачу хьаькаме дехар де, ПахӀал шаьш долчу валавайта алий, цуьнан гӀуллакх кхин цкъа а дикка таллархьама. Шуна тӀекхачале, иза вен тхо кийчча ду».</verse>
				<verse number="16">Цара бинчу бартах лаьцна ПахӀалан йишин кӀантана хиира. Цо, гӀопе а веана, ПахӀале дӀахаийтира и гӀуллакх.</verse>
				<verse number="17">ТӀаккха ПахӀала, римхойн эскарера цхьана тӀеман хьаькаме схьа а кхайкхина, элира: «ХӀара жима стаг тӀеман коьртачу хьаькамна тӀевига, цуьнга цхьа хӀума ала деза кхуьнан», — аьлла.</verse>
				<verse number="18">Цу хьаькамо, и кӀант тӀеман коьртачу хьаькамна тӀе а вигина, элира: «Тутмакха ПахӀала, соьга схьа а кхайкхина, хӀара жима стаг хьуна тӀевига элира. Кхуьнан хьоьга ала цхьа хӀума ду боху цо».</verse>
				<verse number="19">ТӀеман коьртачу хьаькамо, куьг лаьцна юьстаха а ваьккхина, хаьттира кӀанте: «ХӀун дара хьан соьга ала?» — аьлла.</verse>
				<verse number="20">КӀанта элира: «Жуьгташа барт бина, хьоьга ПахӀал кхана коьртачу кхеташоне валаве аьлла, дехар дан, цуьнан гӀуллакх дикка толлучуха.</verse>
				<verse number="21">Цаьрга ла ма догӀалахь, хӀунда аьлча шовзткъа сов стаг ву цунна кӀело йина Ӏаш. Цара дуй биъна ца яа а, ца мала а шаьш иза веллалц. Уьш хӀинца кийчча Ӏаш бу, ахь ден долчу омре хьоьжуш».</verse>
				<verse number="22">ТӀаккха тӀеман коьртачу хьаькамо жима стаг дӀавахийтира: «Айхьа соьга аьлларг цхьаьнгге а ма дийцалахь», — аьлла.</verse>
				<verse number="23">Цул тӀаьхьа, шен тӀеман хьаькамех шиъ схьа а кхайкхина, цо элира: «Кхесрин-гӀала ваха ши бӀе гӀашло а, кхузткъе итт дин-бере а, ши бӀе гоьмукълелорхо а кечве, буьйсанна исс сахьт долуш уьш дӀа а хьовсабе.</verse>
				<verse number="24">Иштта, варраш а кечъе, тӀе а хаавай, ПахӀал мехкан куьйгалхо Пелакъ волчу дӀавигийта».</verse>
				<verse number="25">Цул сов, иштта чулацам болуш кехат а яздира цо:</verse>
				<verse number="26">«Цуьнан сийлалле мехкан куьйгалхочуьнга Пелакъе маршалла доуьйту Калабди Лосас.</verse>
				<verse number="27">ХӀара стаг, схьа а лаьцна, жуьгташа вуьйчуьра тӀемалошца веанчу ас кӀелхьарваьккхина ву, Риман вахархо вуй ма-хиъинехь.</verse>
				<verse number="28">Кхуьнан хӀун бехк бу хаархьама, ас хӀара церан коьртачу кхеташоне валийра.</verse>
				<verse number="29">Цигахь билгалделира кхуьнан бехк бу аьлла лоруш дерг церан шайн товратан хьехамашца доьзна хилар. Амма хӀара вен я дӀалаца бахьана долуш хӀума дацара.</verse>
				<verse number="30">Сайна кху стагана дуьхьал барт бинийла ма-хиъинехь, ас сихонца хӀара хьо волчу дӀахьажийра, ткъа кхуьнан кхелахошка, гӀуллакх хьоьга къастадайта аьлла, омра дира».</verse>
				<verse number="31">ТӀемалоша шайна деллачу омрица ПахӀал, схьа а эцна, буьйсанна Анти-Патар-гӀала дӀавигира.</verse>
				<verse number="32">Ткъа шолгӀачу дийнахь, иза говрашкахь болчаьрга кхидӀа вига а аьлла, гӀопе юхабирзира уьш.</verse>
				<verse number="33">Вукхара, Кхесрин-гӀала схьакхаьчча, кехат мехкан куьйгалхочуьнга дӀа а делла, ПахӀал цунна хьалха хӀоттийра.</verse>
				<verse number="34">Мехкан куьйгалхочо, кехат а дешна, ПахӀале хаьттира, иза муьлхачу меттера ву аьлла. ХӀара Киликера вуйла хиъча, цо элира:</verse>
				<verse number="35">«Ас хьан гӀуллакхе ладугӀур ду, хьо бехке веш берш схьакхаьчча». ТӀаккха гӀароле, иза кхел еш долчу ХӀародан цӀийнехь ларве аьлла, омра дира цо.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="24">
				<verse number="1">Пхи де даьлча, динан коьрта да Хьанас а, масех воккха стаг а, кхелан гӀуллакх лелош волу Туртал а веара цига. Цара мехкан куьйгалхочуьнга ПахӀална дуьхьал шаьш даьккхинарг дийцира.</verse>
				<verse number="2">2-3 ПахӀал схьакхайкхича, Туртала, иза бехкевеш, бохура: «Массо а хенахь а, массо а меттехь а баркаллица тӀечӀагӀдо оха, лоруш волу Пелакъ, хьо бахьана долуш тхо долчохь машар хилар а, ахь Ӏуналла дарца хӀокху халкъан дахар толуш хилар а.</verse>
				<verse number="3">***</verse>
				<verse number="4">Амма, хьуна тӀех новкъарло ца ярхьама, доьху хьоьга тхан доццачу къамеле ладогӀар, хьайгахь гуттар а болчу къинхетамца.</verse>
				<verse number="5">Оха къастийна: хӀара стаг нахана зуламе хилар, дуьнен чохь массо а меттехь жуьгташна юкъахь питана туьйсуш а, назартхойн тобанан куьйгалхойх цхьаъ хилар а.</verse>
				<verse number="6">ТӀехула тӀе Делан цӀа сийсаздан а воьллера хӀара, амма оха сацийра.</verse>
				<verse number="7">***</verse>
				<verse number="8">Барт хаьттича, хьуна хьайна а хуур ду, оха хӀара стаг бехкевар нийса дуйла».</verse>
				<verse number="9">Оцу бехкана тӀетайра важа жуьгтий а, цо аьлларг дерриг а бакъ ду аьлла.</verse>
				<verse number="10">Мехкан куьйгалхочо пурба делча, ПахӀала жоп делира: «Дуккха а шерашкахь кху халкъана тӀехь хьо кхелахо вуй а хууш, со хазахетарца бехказавала хьожур ву.</verse>
				<verse number="11">Хьуна хаа хала хир дац, со шийтта де ца кхоччуш хьалха Ярушалайме Далла Ӏибадат дан веанийла.</verse>
				<verse number="12">Я Делан цӀийнехь а, я жуьгтийн гуламан цӀеношкахь а, я гӀали юккъехь а со бехке вечу нахана цхьаьнцца а къуьйсуш я нах карзахбохуш а со ца гина.</verse>
				<verse number="13">Церан ницкъ бац, со бехке ву аьлла, цхьа а тешо.</verse>
				<verse number="14">Амма цхьана хӀуманна тӀехь къера ву со: сайн дайн Далла гӀуллакх деш вогӀу со кхарна тоба бен ца хетачу новкъахула. Товратан хьехамех а, пайхамарша яздинчух а — дерригенах а теша со.</verse>
				<verse number="15">Делан лаамехь болчарна а, боцучарна а беллачуьра денлур бу аьлла болу, хӀорш а шех тешаш болу, Делах болу цхьа сатийсам бу сан.</verse>
				<verse number="16">Цундела дерриг а сайн ницкъ кхочург дан гӀерта со Далла а, нахана а хьалха догцӀена хилархьама.</verse>
				<verse number="17">Дуккха а шераш девллачул тӀаьхьа Ярушалайме веана со, сайн халкъана юкъара къечарна хӀума кховдорхьама а, сагӀа даккхархьама а.</verse>
				<verse number="18">18-19 Со цӀинваларан Ӏадатах чекхваьлча, Делан цӀийнан кертахь карийра Асиа-махкара масех жуьгтичунна. Соьца адамийн тоба яцара, я гӀовгӀа а ца йора цхьаммо а. Уьш бара хьуна хьалха хӀитто безарш, нагахь церан суна дуьхьал ала хӀума делахь.</verse>
				<verse number="19">***</verse>
				<verse number="20">Я кхаьрга алийта, соьгахь хӀун харцо карийна шайна, со коьртачу кхеташонна хьалха лаьттачу хенахь.</verse>
				<verse number="21">Кхарна юкъахь лаьттачу хенахь ас чӀогӀа аьлла цхьа дош бахьана долуш дуй те хӀара: „Белларш денлуш хиларх теша аьлла, аша суна тахана кхел йо“, — аьлла».</verse>
				<verse number="22">Дерригене ла а доьгӀна, цу хьехамах дерг шена дика хаьа дела, Пелакъа и гӀуллакх тӀаьхьатеттира. Цо элира: «ТӀеман коьрта хьаькам Лоса схьавеача, ас къастор ду шун гӀуллакх».</verse>
				<verse number="23">Юха цо тӀеман хьаькаме омра дира, ПахӀал ларве, амма паргӀат а вита, накъосташна цуьнан гӀайгӀа бан новкъарло а ма е аьлла.</verse>
				<verse number="24">Масех де даьлча, жуьгти йолчу, шен зудчуьнца Дурсалица веанчу Пелакъа, ПахӀале схьа а кхайкхийтина, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах долчу тешарх лаьцна цуьнга дийцийтира.</verse>
				<verse number="25">ПахӀала бакъдолчух а, юхаозаваларх а, хин йолчу Делан кхелах а лаьцна дийцича, Пелакъа, кхера а велла, элира: «ХӀинца дӀагӀо, юхахула ас схьакхойкхур ву хьо».</verse>
				<verse number="26">Цул сов иза сатесна вара ПахӀала ша дӀахоьцург ахча лург хиларе, цундела, кест-кеста схьа а кхойкхуш, цуьнца къамел дора цо.</verse>
				<verse number="27">Ши шо даьлча, Пелакъан метта Порка Висита цӀе йолу куьйгалхо веара. Жуьгташна там бархьама ПахӀал чувоьллина витира Пелакъа.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="25">
				<verse number="1">Ша куьйгалхо хӀоьттина кхо де даьлча, Кхесрин-гӀалара Ярушалайме веара Висита.</verse>
				<verse number="2">Динан коьрта дай а, жуьгташна юкъара лоруш болу нах а баьхкира цунна тӀе, ПахӀална арз дахьаш. Цара дехарш дора,</verse>
				<verse number="3">къинхетам а бина, ПахӀал Ярушалайме схьавалавахьара бохуш. Ткъа новкъахь иза вен къайлаха барт бира цара.</verse>
				<verse number="4">Виситас жоп делира, ПахӀал Кхесрин-гӀалахь чувоьллина ву, ша а кестта цига гӀур ву аьлла.</verse>
				<verse number="5">«Шайна юкъара масех стаг ваийта соьца, — элира цо, — цаьрга хӀара стаг бехке вайта, нагахь кхуьнан бехк белахь».</verse>
				<verse number="6">Цаьрца бархӀ-исс де а даьккхина, Висита Кхесрин-гӀала юхавеара. ШолгӀачу дийнахь, кхелахочун метте а хиъна, ПахӀал схьавалавайтира цо.</verse>
				<verse number="7">Иза схьакхаьчча, Ярушалаймера баьхкинчу жуьгташа, цунна го а бина, иза бехке веш, дуккха а хӀуманаш дехира цунна дуьхьал. Амма цуьнан бехк болчух Висита тешо ницкъ ца кхочура церан.</verse>
				<verse number="8">ПахӀала дуьхьало йора: «Ас цхьа а вониг ца дина жуьгтийн товратан хьехамашна а, Делан цӀенна а, Рим-мехкан паччахьна а дуьхьал», — бохуш.</verse>
				<verse number="9">Жуьгташна там болу агӀо лоьхуш, Виситас элира ПахӀале: «Ярушалайме ваха лаьий хьуна, соьга цигахь хьайна кхел яйта?»</verse>
				<verse number="10">ПахӀала элира: «Со Рим-мехкан паччахьан кхелана хьалха лаьтташ ву хӀинца, сайна кхел ян еззачохь. Ас жуьгташна цхьа а вониг ца дина, иза хьуна а дика хаьа.</verse>
				<verse number="11">Нагахь со нийса а воцуш, со вел соьгара бахьана даьллехь, Ӏожалла тӀеэца а кийча ву со. Амма хӀара нах харцлуьйш белахь, цхьаннан а бакъо яц со кхаьрга дӀавала. Ас Рим-мехкан паччахьан кхел яр доьху».</verse>
				<verse number="12">Кхеташонца къамел а дина, Виситас элира: «Ахь паччахьан кхел йоьхуш хилча, Рим-мехкан паччахьна тӀевохуьйтур ву хьо», — аьлла.</verse>
				<verse number="13">Масех де даьлча, Висита куьйгалхо хӀоттор даздан Кхесрин-гӀала паччахь АгӀарипа а, цуьнан йиша Беруника а деара.</verse>
				<verse number="14">Уьш цигахь масех денна севцина дела, Виситас паччахьна ПахӀалан гӀуллакхах лаьцна дийцира: «Кхузахь Пелакъа чувоьллина цхьа стаг ву.</verse>
				<verse number="15">Со Ярушалаймехь волуш жуьгтийн тхьамданаша а, динан дайша а, бехке а веш, кхел е бохура цу стагана.</verse>
				<verse number="16">Амма ас элира цаьрга, римхойн Ӏедал дац бехке веш волу стаг дӀалуш, цкъа хьалха шен довхошца юьхь-дуьхьал а кхетта, бехказа вала бакъо яллалц аьлла.</verse>
				<verse number="17">Цундела и жуьгтий кхуза схьакхаьчча, ас шолгӀачу дийннехь, кхелахочун метте а хиъна, иза схьавалавайтира.</verse>
				<verse number="18">Суна моьттуш долчу цхьана а зуламехь иза бехке ца вира цуьнан довхоша.</verse>
				<verse number="19">Амма церан цхьацца къовсамаш бара шайн динах а, цхьана веллачу Ӏийсах а лаьцна, ткъа ПахӀала-м Иза дийна ву бохура.</verse>
				<verse number="20">И гӀуллакх муха къастор ду а ца хиъна, ас хаьттира ПахӀале: „Ярушалайме а вахана, цигахь кхел яйта лаьий хьуна?“ — аьлла.</verse>
				<verse number="21">Амма ПахӀала Рим-мехкан паччахьан сацам хиллалц ша Кхесрин-гӀалахь вита аьлча, ас омра дира, иза Рим-мехкан паччахьна тӀевиггалц чувоьллина вита аьлла».</verse>
				<verse number="22">АгӀарипас Висите элира: «Суна сайна а лаьа оцу стаге ладогӀа». «Кхана хьуна хезар ду иза вистхуьлуш», — аьлла, жоп делира Виситас.</verse>
				<verse number="23">ШолгӀачу дийнахь АгӀарипа а, Беруника а, кеч а делла, шайца тӀеман хьаькамаш а, гӀалара лоруш болу нах а болуш кхел ечу цӀа чу баьхкича, Виситас омра дира, ПахӀал схьавалаве аьлла.</verse>
				<verse number="24">Цул тӀаьхьа Виситас элира: «АгӀарипа-паччахь а, кхузахь тхоьца болу берриш а! Шуна гуш волчу хӀокху стагана Ярушалаймехь а, кхузахь а вуно дукха жуьгташа аьрзнаш дина. Цара маьхьарий хьийкхира, хӀара кхин ваха хьакъ вац бохуш.</verse>
				<verse number="25">Амма суна хета, вел бахьана кхуьнгара ца даьлла аьлла. Рим-мехкан паччахь волчохь шена кхел яр кхо дехарна, ас сацам бина хӀара цига дӀахьажо.</verse>
				<verse number="26">Амма кхунах лаьцна цу паччахье яздан хӀумма а дац сан. Цундела ас хӀара шуна, къаьсттина хьуна хьалха, АгӀарипа-паччахь, валавайтина, гӀуллакх къастийча, Рим-мехкан паччахье сайна яздан хӀума хилийта.</verse>
				<verse number="27">ХӀунда аьлча суна нийса ца хета чувоьллина стаг, иза бехке веш дерг хӀун ду а ца хоуьйтуш, дӀахьажор».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="26">
				<verse number="1">ТӀаккха АгӀарипа-паччахьо элира ПахӀале: «Къамел дан мегар ду хьуна», — аьлла. ПахӀала, куьг хьала а айина, ша бехказавоккхуш къамел дира:</verse>
				<verse number="2">«Паччахь АгӀарипа! Жуьгташа сайна дуьхьал дуьйцучунна тахана хьуна хьалха сайн бехказавала аьтто хиларна со ирс долуш хета суна,</verse>
				<verse number="3">хьо жуьгтийн гӀиллакхаш а, къовсаме долу хӀуманаш а девзаш хиларна муххале а. Цундела доьху хьоьга собарца сайга ладогӀар.</verse>
				<verse number="4">Массо а жуьгташна хаьа, со жима волуш дуьйна а сайн халкъана юкъахь а, юха Ярушалаймехь а муха ваьхна.</verse>
				<verse number="5">Царна со вевза дуккха а хан ю, цундела церан тоьшалла дан йиш ю, шайна лиъча, со парушхо а хилла, вайн динаца догӀуш долу уггар къовламе хьехамца вехаш Ӏаш хилар.</verse>
				<verse number="6">ХӀинца со кхелана хьалха лаьтташ ву, Дала вайн дайшна делла дош кхочушхиларе сатесна хиларна.</verse>
				<verse number="7">Цунна сатесна ду тхан халкъан шийтта тайпа, дийнахь а, буса а Далла даггара гӀуллакх а деш. Оцу сатийсамна бехкево со жуьгташа, ва паччахь.</verse>
				<verse number="8">Хила йиш йоцуш хӀунда хета шуна Дала беллачуьра нах денбар?</verse>
				<verse number="9">Со а вара тешна, Назартарчу Ӏийсах лаьцна долчунна дуьхьал дуккха а хӀума дан деза аьлла.</verse>
				<verse number="10">И дерриг а дора ас Ярушалаймехь: Ӏийсах тешна беза нах набахти чу кхуьйсура, динан дайшкара бакъо а яьккхина, и нах байар къобал а дора.</verse>
				<verse number="11">Ас таӀзар дора царна массо а жуьгтийн гуламан цӀеношкахь, уьш шайн дина тӀера юхабовлийта гӀерташ. Сайн царна дуьхьал йолу оьгӀазалла сел чӀогӀа хиларна, кхечу гӀаланашка а воьдура со уьш схьалеца».</verse>
				<verse number="12">«Оцу гӀуллакхна цкъа Дамасакхе воьдуш вара со, динан коьртачу дайшкара бакъонаш а яьхна, цара тӀедехкина декхарш а эцна.</verse>
				<verse number="13">Делкъахан хуьлучу хенахь, ва паччахь, тхо новкъа схьадогӀуш, стигалара цӀеххьана малхачул а чӀогӀа серло кхийтира. И серло тхуна гонах хӀоьттира.</verse>
				<verse number="14">Тхо массо а лаьтта охьаийгира. Юха сайга лерина долу аз хезира суна, арамхойн маттахь къамел деш: „Маржа Шаул яӀ! Соьга бала хӀунда хьоьгуьйту ахь? Туьран дитт а хилла дуьхьалваьлла, хьайна зе хӀунда до ахь?“</verse>
				<verse number="15">Ас хаьттира: „Хьо мила ву, Веза Эла?“ Везачу Эло жоп делира: „Со ахь хьийзош волу Ӏийса ву.</verse>
				<verse number="16">ХьалагӀатта когаш тӀе. Со веана, хьуна гиначун а, гун долчун а хьо теш а, гӀуллакх кхочушдархо а вина, дӀахӀотто.</verse>
				<verse number="17">Ас кхечу къаьмнийн нах болчу вохуьйту хьо. Хьайн халкъах а, кхечу къаьмнийн нахах а Ас кӀелхьарвоккхур ву хьо.</verse>
				<verse number="18">Церан бӀаьргаш схьадиллина, боданера серлоне а баьхна, иблисан олаллина тӀера Далла тӀеберзор бу ахь уьш, царна гечдар хилийтархьама а, Сох болу тешам бахьана долуш, Делан базбинчу нахана юкъахь церан меттиг хилархьама а“».</verse>
				<verse number="19">«Цундела, АгӀарипа-паччахь, ас дуьхьало ца йира стигалара сайна хӀоьттинчу бӀарлагӀина.</verse>
				<verse number="20">Со кхайкхам бан волавелира цкъа хьалха Дамасакхехь а, Ярушалаймехь а, берриг а ЯхӀуд-махкахь а, юха кхечу къаьмнийн нахана юкъахь, уьш дохко а бевлла, Далла тӀе берзийтархьама, шайн гӀуллакхашца дохкобовлар цаьрга гайтийтархьама.</verse>
				<verse number="21">Цу бахьаненна, Делан цӀа чохь волуш, схьа а лаьцна, со вен гӀоьртира жуьгтий.</verse>
				<verse number="22">Амма Дала гӀо дира суна, таханалера де кхачале а. Цуьнан гӀоьнца лаьтташ ву со тахана кхузахь хьалдолчу а, къечу а нахе тоьшалла деш, кхин хӀумма а ца дуьйцуш, пайхамарша а, Мусас а хир ду аьлларг бен:</verse>
				<verse number="23">Дала леррина Къобалвинарг, баланаш а хьегна, кхелхинчул тӀаьхьа, беллачех гӀаьттина хьалхарниг хир ву. Цо яхьар ю серло жуьгтийн халкъана а, кхечу къаьмнийн нахана а».</verse>
				<verse number="24">ПахӀалан къамел чекхдалале Виситас чӀоггӀа элира: «ПахӀал, хьо хьераваьлла! Дукха дешаро талхийна хьо!»</verse>
				<verse number="25">«Со хьераваьлла вац, лоруш волу Висита, — аьлла, жоп делира ПахӀала. — Ас дуьйцург нийса а, хьекъале а ду.</verse>
				<verse number="26">АгӀарипа-паччахьна дика девза хӀара санна гӀуллакхаш, цундела ас паргӀат дуьйцу цуьнца. Со тешна ву, цуьнан тидамера хӀумма а даьлла дац, хӀунда аьлча хӀара дерриг а ломал дехьа хилла дац, массеран а бӀаьргашна хьалха хилла ду.</verse>
				<verse number="27">Паччахь АгӀарипа, пайхамарех теший хьо? Хаьа суна, хьо теший».</verse>
				<verse number="28">ТӀаккха АгӀарипас элира ПахӀале: «Иштта атта со Ӏийсах тешначех дӀакхетар ву моьтту хьуна?»</verse>
				<verse number="29">«Хьесапе дац, атта я хала ду иза, — жоп делира ПахӀала, — амма ас Деле доьху, хьо хилла ца Ӏаш, массо а тахана соьга ладугӀушверг, со санна, хилийта бохуш, амма гӀоьмаш тоьхна тутмакхаш ца хуьлуш».</verse>
				<verse number="30">ТӀаккха паччахь хьалагӀаьттира, цуьнца цхьаьна хьалагӀевттира мехкан куьйгалхо а, Беруника а, берриш а цаьрца Ӏийнарш а.</verse>
				<verse number="31">Цара, ара а бевлла, бохура вовшашка: «Цу стага иза вен я чуволла цхьа а бахьана ца далийтина».</verse>
				<verse number="32">АгӀарипас элира Висите: «И стаг хӀинцца дӀахеца мегар дара, цо Рим-мехкан паччахьна хьалха хӀотта лаьа шена ца аьллехь».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="27">
				<verse number="1">Тхан Итали даха деза аьлла, сацам хиллачул тӀаьхьа ПахӀал а, кхин цхьацца болу тутмакхаш а Юлай цӀе йолчу тӀеман хьаькаме дӀабелира. Иза Рим-мехкан паччахьан цӀарахчу эскаран декъан эпсар вара.</verse>
				<verse number="2">Асиа-махка доьдучу Адрамитти-гӀалин хӀордкеманна тӀе а хевшина, новкъадевлира тхо. Тхоьца Арестах цӀе йолу Тассалник-гӀалара македонхо а вара.</verse>
				<verse number="3">ШолгӀачу дийнахь тхо ЦӀадан-гӀалахь охьадевлира кеманна тӀера. Юлай ПахӀале ларам болуш хилира. Цо цунна бакъо елира оьшучунна тӀехь гӀо дийр долу накъостий болчу ваха.</verse>
				<verse number="4">Цигара хӀорда тӀе арадевлла, мох кӀезиг болчу агӀор, Кипр-гӀайре йолчухьа дахара тхо, дуьхьал хьоькхуш мох хиларна.</verse>
				<verse number="5">Киликана а, Пампилна а дуьхьал болчу хӀордал дехьа а девлла, Ликин-махкарчу Мир-гӀала кхечира тхо.</verse>
				<verse number="6">Цигахь Искандар-гӀалара Итале-махка догӀу хӀордкема а карийна, цу тӀе ховшийра тхо тӀеман хьаькамо Юлайс.</verse>
				<verse number="7">Масех дийнахь меллаша дӀадоьлхуш дара тхо. Мох дуьхьал хьоькхуш хиларна, Кинад-гӀалина дуьхьал нисделча, цу агӀор кхидӀа даха а ца делла, Крит-гӀайренна улло дахара тхо, Салмон цӀе йолчу берда юххе а теӀаш, цигахь мох кӀезиг болу дела.</verse>
				<verse number="8">Халла цунна уллохула тӀех а девлла, Ласи-гӀалина гена йоцучу, шех Дика дӀахӀуттийла олучу метте кхечира тхо.</verse>
				<verse number="9">Дуккха а хан яьллера тхо новкъа девлла. КхидӀа даха кхераме дара, хӀунда аьлча гуьйренан чаккхе яра, жуьгтийн халкъ къинойх цӀиндаларан деза де а чекхдаьллера. ПахӀала, хьехар деш, бохура:</verse>
				<verse number="10">«ЛадогӀийша! Со гуш ву хӀара некъ кхераме хирг хилар, кеманна а, цу тӀерачу кирана а хилла ца Ӏаш, вайн дахарна а».</verse>
				<verse number="11">Амма хӀорш эцна воьду тӀеман хьаькам хӀордкема долахь долчух а, и дӀадохуьйтуш куьйгалла деш волчух а алсам тийшира, ПахӀала дуьйцучул а.</verse>
				<verse number="12">Кхеран кема дӀахӀоьттина меттиг Ӏа даккха пайденна яцара, цундела дукхахберш Крит-гӀайре тӀехь йолчу Пиника-гӀала хӀордахула дӀабаха лууш бара. Къилба-малхбузера а, къилбаседа-малхбузера а мехашна дуьхьал йолчу цу меттехь Ӏанера бовла лаьара царна.</verse>
				<verse number="13">Къилбера байн мох хьаькхча, царна моьттира иза шайна оьшург ду. Кема сацориг хьала а яьккхина, Крит-гӀайре йистехула дӀабахара уьш.</verse>
				<verse number="14">Амма дукха хан ялале гӀайре йолчу агӀорхьара шех къилбаседа-малхбалера олу чӀогӀа мох хьаькхира.</verse>
				<verse number="15">ХӀорд ловзабаьллачу юккъе а нисделла, мохана дуьхьал ца дахалора хӀордкема. Мохо шена луъучу агӀор дӀасакхуьссура тхо.</verse>
				<verse number="16">Кавда цӀе йолчу жимачу гӀайре тӀе, мох кӀезиг болчу агӀорхьа, даьхьира тхан кема, цигахь дукха хала дӀатесира оха пийсакаш хьокху жима кема.</verse>
				<verse number="17">Иза, хьала а даьккхина, стаммий машшашца дӀа а доьхкуш, хӀордкема чӀагӀдира оха. Хинан кӀоргалла жима йолчохь, Суьрти цӀе йолчу меттигехь бохам хиларна кхоьруш, кеманан гата охьа а дахийтина, хӀорда тӀехула дӀахецаделира тхо.</verse>
				<verse number="18">ШолгӀачу дийнахь хӀорд чӀогӀа ловзабаларна, кеманна тӀера кира хи чу кхосса долийра.</verse>
				<verse number="19">Ткъа кхозлагӀчу дийнахь хӀордкеманан цхьа боккха гӀирс чукхоьссира кеманхоша шайн куьйгашца.</verse>
				<verse number="20">Масийтта дийнахь я малх, я седарчий гучу ца довлура, ткъа хӀордан ловзабалар дӀатуьйш дацара. Тхо кӀелхьардевр ду аьлла йолу муьлхха а сатуьйсийла дӀаяьллера.</verse>
				<verse number="21">Дукха хан яра цхьаммо а хӀума яаза. ТӀаккха ПахӀала, хьала а гӀаьттина, элира: «Нах, шу соьга ла а доьгӀна, Крит-гӀайре тӀехь севцнехь, хӀара зенаш а лан дезар дацара, хӀумма а дӀакхосса езар яцара вайн.</verse>
				<verse number="22">ХӀинца собаре хиларе кхойкху ас шуьга, хӀунда аьлча шух цхьа а лийр вац, кема бен хӀаллакьхир дац.</verse>
				<verse number="23">Сийсара буса со Шен волу а, ас Шена гӀуллакх дечу а Делан малик деара суна тӀе.</verse>
				<verse number="24">Цо элира: „Кхера ма лолахь, ПахӀал! Хьо Рим-мехкан паччахьна хьалха хӀотта дезаш ву, Дала хьан доӀанна жоп делла, цундела хьо а, хьоьца кеманна тӀехь берш а дийна буьсур бу“.</verse>
				<verse number="25">Цундела доха ма дохалаш, доттагӀий, со теша, Дала сайга ма-аллара, вайца дерг хирг хиларх.</verse>
				<verse number="26">Амма вай билггала цхьаьна гӀайре тӀе охьакхуьссур ду».</verse>
				<verse number="27">ЕйтталгӀа буьйса тӀекхаьчча, тхо Адира цӀе йолчу хӀорда тӀехула хьош дара. Буьйса юккъе яхача, хӀордкеманхошна уллохь латта хааделира.</verse>
				<verse number="28">Хин кӀоргалла юьстича, ткъа сажа юьйла хиира. Юха жимма дехьадевлла юьстича, пхийтта сажа карийра.</verse>
				<verse number="29">Хин бухулара тӀулгаш тӀе кхетарна кхоьруш, кема сацош, тӀехьара йиъ кема сацориг хи чу а кхоьссина, де тӀекхачаре сатуьйсуш Ӏара уьш.</verse>
				<verse number="30">Ткъа кеманхой, жима кема хи чу охьа а хецна, кеманан буьххьера кема сацориг чукхуссучуха, бовда гӀоьртира.</verse>
				<verse number="31">Амма ПахӀала элира тӀеман хьаькаме а, тӀемалошка а: «Нагахь уьш кеманна тӀехь ца совцахь, шу а кӀелхьардевр дац».</verse>
				<verse number="32">ТӀаккха тӀемалоша, жима кема дӀатесна долу машшаш а хедийна, иза чудожийра.</verse>
				<verse number="33">Сахуьлучу хенахь ПахӀала дехар дира массаьрга а, хӀума яахьара аьлла: «Тахана дейтталгӀа де ду вай сатийсамехь долу, аша цу ерриге а хенахь хӀума ца йиъна.</verse>
				<verse number="34">Цундела доьху шуьга хӀума яа, хӀунда аьлча иза шуна дахар лардан оьшу. Шу цхьаннен а коьрта тӀера чо а бужур бац».</verse>
				<verse number="35">Иза а аьлла, бепиг, схьа а эцна, массарна а хьалха Далла хастам а бина, декъа а декъна, даа хӀоьттира ПахӀал.</verse>
				<verse number="36">ТӀаккха массара а, дог иракарахӀоьттина, хӀума йиира.</verse>
				<verse number="37">Верриг а хӀордкеманна тӀехь ши бӀе кхузткъе ялхитта стаг вара.</verse>
				<verse number="38">Тоъал хӀума а йиъна, кема дисина долчу киранах паргӀатдаккха хӀиттира уьш, кӀа хӀорда чу а кхуьссуш.</verse>
				<verse number="39">Ӏуьйре тӀекхаьчча, царна латта ца девзира, амма гӀамаран легӀана берд гира. Аьтто балахь берда тӀедовла барт хилира церан.</verse>
				<verse number="40">Кема сацорех, уьш хӀорда чу дӀа а хецна, паргӀат а девлла, кеманан тӀам бихкина машшаш а хедийна, буьххьера жима гата махаца а нисдина, бердехьа бахара уьш.</verse>
				<verse number="41">Амма гӀамарла а дахана, меттах а ца далалуш дисира хӀордкема, ткъа цуьнан тӀехье ондачу тулгӀенаша йохош яра.</verse>
				<verse number="42">Тутмакхаш неканца ца бовдийта байа дог хилира тӀемалойн.</verse>
				<verse number="43">Амма ПахӀал ца вейтархьама тӀеман хьаькамо совцийра уьш. Цо омра дира, нека хууш берш, чу а лелхий, лаьтта тӀе кхача аьлла.</verse>
				<verse number="44">Ткъа вукхаьрга, карадеана у я кхин йолу хӀума схьа а лоцуш, берда тӀе гӀо элира. Иштта, цхьанна а зе ца хуьлуш, массо а берда тӀе хьалавелира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="28">
				<verse number="1">Берда тӀехь кӀелхьардевлча, тхуна хиира гӀайренан цӀе Мелита юйла.</verse>
				<verse number="2">Цигарчу бахархоша чӀогӀа дика тӀеийцира тхо. ДогӀа а деана, шелъелча, цӀе а латийна, цунна улло дохдала тӀекхайкхира цара тхоьга.</verse>
				<verse number="3">ПахӀала цхьа цӀов чӀийш гулдира. Цо уьш цӀерга кхиссича, йовхонах бедда лаьхьа, цунна це а тоьхна, куьйгах хьаьрчира.</verse>
				<verse number="4">ПахӀалан куьйгах кхозу и лаьхьа гича, цигарчу наха вовшашка элира: «Цу стага, билггала, цхьаъ вийна. ХӀорда чохь иза ца веллехь а, хӀинца Делан кхелаца дийна вуьсур вац иза».</verse>
				<verse number="5">Амма ПахӀална цхьа а тайпа лазош хӀума ца хааделира, цо лаьхьа цӀерга ластийра.</verse>
				<verse number="6">Царна моьттура, я цуьнан куьг дестар ду, я иза цӀеххьана велла охьавужур ву. Уьш бехха Ӏийра цуьнга хьоьжуш, амма ПахӀална хӀумма а ца хилира. ТӀаккха шайн ойла хийцира цара, иза цхьа Дела ву аьлла.</verse>
				<verse number="7">Цу меттигна гена боццуш Палаби цӀе йолуш волчу гӀайренан хьаькаман бахам бара. Тхо ша волчу а кхайкхина, кхаа дийнахь тхуна хьошалла лелош, комаьрша хӀусамда хилира иза.</verse>
				<verse number="8">Палабин да, дагар а деана, гай а лозуш, меттахь Ӏуьллуш вара. Цуьнга хьажа ваханчу ПахӀала, доӀа а дина, цомгушниг товира, тӀе куьйгаш а дехкина.</verse>
				<verse number="9">И хиллачул тӀаьхьа гӀайре тӀера бисина болу цомгуш нах а богӀура. Царна а дарба дора ПахӀала.</verse>
				<verse number="10">ГӀайре тӀера бахархоша чӀогӀа ларам бира тхан. Тхо дӀадаха кечлуш, цара тхуна дерриг а оьшург деара.</verse>
				<verse number="11">Цигахь кхо бутт баьккхинчул тӀаьхьа, цу гӀайре тӀехь Ӏа доккхуш хиллачу, шех Диоскураш олучу Искандар-гӀалара догӀучу хӀордкеманна тӀехь дӀадахара тхо.</verse>
				<verse number="12">СуьракӀоз-гӀала а кхаьчна, цигахь кхо де даьккхира оха.</verse>
				<verse number="13">Цигара дӀадахча, Риги олучу гӀала кхечира тхо. Цхьа де даьлча, къилбера мох хьаькхира. ШолгӀачу дийнахь тхо Путола-гӀала кхечира.</verse>
				<verse number="14">Цигахь динан вежарий а карийна, церан дехарца кӀира даьккхира оха цаьрца. Цул тӀаьхьа тхо Рим-гӀала даьхкира.</verse>
				<verse number="15">Цигара динан вежарий, тхо догӀу аьлла хезна, Аппи цӀе йолчу майданахь а, хьешан кхо цӀенош долчохь а дуьхьалбаьхкира тхуна. Уьш гича, Далла хастам а бина, дог иракарахӀоьттира ПахӀалан.</verse>
				<verse number="16">Римехь ПахӀална къаьстина Ӏе бакъо елира, амма тӀемалочо ларвеш вара иза.</verse>
				<verse number="17">Кхин кхо де даьлча, жуьгташна юкъара куьйгалхой гулбира цо. Уьш схьабаьхкича, ПахӀала элира цаьрга: «Вежарий! Вайн халкъана а, цуьнан гӀиллакхашна а дуьхьал ас хӀумма а ца диннашехь, Ярушалаймехь, схьа а лаьцна, римхошка дӀавелира со.</verse>
				<verse number="18">Цара, барт а хаьттина, вел бахьана соьгара ца даьллий хиъча, со дӀахеца сацам бира.</verse>
				<verse number="19">Жуьгтий дуьхьал бара цу сацамна, цундела Рим-мехкан паччахье кхел е аьлла, дехар дан дийзира сан. Амма ас цхьана а хӀуманна тӀехь бехке ца до сайн халкъ.</verse>
				<verse number="20">Цундела лиънера суна шу ган а, шух дагавала а, хӀунда аьлча Исраилан халкъан сатийсам кхочушхиларх со тешарна тоьхна суна хӀара гӀоьмаш».</verse>
				<verse number="21">Цара элира ПахӀале: «ЯхӀуд-махкара хьох лаьцна цхьа а кехат ца кхаьчна тхоьга. Цигара баьхкинчу вайн вежарех цхьаммо а хьох хаам а ца бина, я вониг а ца аьлла хьох лаьцна.</verse>
				<verse number="22">Амма тхуна хьоьгара хаа лаьара хьуна хетарг, хӀунда аьлча цу динан тобанах лаьцна массанхьа а дукха къийсамаш бу бохуш, хезнера тхуна».</verse>
				<verse number="23">Цара цхьа де билгалдаьккхира. Дуккха а жуьгтий баьхкира ПахӀал сецначу цӀийне. Ӏуьйранна дӀаволалой, сарралц дуьйцура цо царна Делан Олаллех лаьцна, ша Ӏийсах лаьцна аьлларг бакъ хилар тешо гӀерташ, Муса-пайхамаран хьехамаш тӀера а, пайхамарша дӀаяздинчунна тӀера а тоьшаллаш а далош.</verse>
				<verse number="24">Цхьаберш тешара цо дуьйцучух, вукхарна и бакъ ца хетара.</verse>
				<verse number="25">Вовшийн юкъахь барт а ца хилла, уьш дӀабаха гӀерташ болчу хенахь, ПахӀала элира хӀара тӀаьххьара дешнаш: «Бакъдерг аьлла Делан Сино ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамарехула шун дайшка:</verse>
				<verse number="26">„Цу халкъана тӀе а гӀой, ала цаьрга: Шайн лергашца ладугӀур ду аш, амма кхетар дац шу, шайн бӀаьргашца хьоьжур ду шу, амма маьӀна къастор дац аша.</verse>
				<verse number="27">ХӀунда аьлча дегнаш чӀагӀделла цу адамийн, лергашца халла хеза царна, бӀаьргаш а къевлина ду церан. Цундела бӀаьргашца ца гуш, лергашца ца хезаш, дегнашца ца кхеташ бу уьш. Суна тӀебирзича, Ас дарба дийр дара царна“».</verse>
				<verse number="28">«ДӀахоуьйла шуна, Дала кӀелхьардовларх болу Шен кхаъ кхечу къаьмнийн нахана хаийтина: царна хезар ду».</verse>
				<verse number="29">***</verse>
				<verse number="30">Дийнна шина шарахь ша мах лучу цӀенош чохь Ӏийра ПахӀал. ПахӀала шена тӀебаьхкинарш берриш а тӀеоьцура.</verse>
				<verse number="31">Дуьхьало йоцуш а, майрра а Делан Олалла а кхайкхош, Дала леррина къобалвинчу Везачу Элах Ӏийсах лаьцна хьехам бора цо.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="45">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан лай волчу, Цуьнан векал хила Дала тӀекхайкхина волчу, адамашна хаза кхаъ дӀакхайкхабайтархьама Дала къастийна волчу аса, ПахӀала, яздо хӀара кехат.</verse>
				<verse number="2">Дала и хаза кхаъ пайхамаршкахула Шен дезачу Йозанашкахь боуьйтур бу аьлла дара.</verse>
				<verse number="3">И хаза кхаъ Делан КӀантах лаьцна бу, ткъа Иза, Цуьнан адаман сибате хьаьжжина, Даудан хӀух схьаваьлла ву.</verse>
				<verse number="4">Цуьнан синан а, Делан а сибате хьаьжжина, сийлахьчу ницкъаца Иза, Делан КӀант ву аьлла, гучуваьккхина вара, Иза веллачуьра денвелла дела. И Делан КӀант — вайн Веза Эла, Дала леррина къобалвина Ӏийса ву.</verse>
				<verse number="5">Цуьнгахула кхечира суна векал хила аьлла долу совгӀат, Цуьнан дуьхьа кхин мел долчу къаьмнех болу нах Делах тешийта а, Цунна муьтӀахь хилийта а.</verse>
				<verse number="6">Шу а ду, римхой, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан долахь хила тӀекхайкхинчарна юкъахь.</verse>
				<verse number="7">Рим-гӀалахь бехаш болчу Далла безначаьрга, Цуьнан долахь хила къастийначаьрга массаьрга а яздо аса: Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а долу доккха дика а, синпаргӀато а хуьлда шуна.</verse>
				<verse number="8">Уггар а хьалха шуна массарна а тӀера Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Далла хастамаш бо аса, хӀунда аьлча дуьнен тӀехь массанхьа а дуьйцуш ду шун тешарх лаьцна.</verse>
				<verse number="9">Сайн доӀанашкахь шух лаьцна даим ас доьхуш хиларан сан теш Дела ву, ас Шена даггара, Цуьнан КӀантах лаьцна болу хаза кхаъ кхайкхош, гӀуллакх деш волу.</verse>
				<verse number="10">Сайн доӀанашкахь даим доьху аса Деле Шен лаамца шу долчу кхача сан аьтто бар,</verse>
				<verse number="11">хӀунда аьлча суна чӀогӀа шу ган лаьа, Делан Сино луш долу дика шуьца декъархьама а, цуьнгахула тешарехь шу чӀагӀдархьама а.</verse>
				<verse number="12">И бохург хӀара ду: вай вешан тешарехула вовшийн иракарахӀиттор ду: сан тешаро шу иракарахӀиттор ду, ткъа шун тешаро — со.</verse>
				<verse number="13">Динан вежарий! Шуьга дӀахаийта лаьа суна: дукхазза а шу долчу ван кечвеллера со, амма, хӀара хан тӀекхаччалц, и дан сан аьтто ца болура. Кхечу къаьмнех болчу вукху нахана юкъахь санна, шу долчохь а стом кхио лаьара суна.</verse>
				<verse number="14">Массо а къаьмнашна: грекахошна а, грекахой боцучарна а — дешна болчарна а, боцучарна а — декхарийлахь ву со.</verse>
				<verse number="15">Цундела ву со шуна а, Рим-гӀалахь дехарш, хаза кхаъ дӀакхайкхо кийча.</verse>
				<verse number="16">Суна эхь ца хета хаза кхаъ дӀакхайкхо, хӀунда аьлча и кхаъ Делан ницкъ бу Ӏийсах мел тешарг кӀелхьарваккха — хьалха жуьгтий, тӀаьхьа кхечу къаьмнех болу нах а.</verse>
				<verse number="17">Оцу хазачу кхоо гойту, адамаш Дала бакъ муха до. И бакъдар, юьххьера дуьйна чаккхенга кхаччалц, тешарехула ду. Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Делах тешарца бакъвинарг Далла уллохь вехар ву».</verse>
				<verse number="18">Харцонаш а лелош, билггал долу бакъдерг къайладоккхуш болчу нехан Ӏесаллина а, харцдолчунна а тӀе стигалшкара Делан оьгӀазло гучуйоккхуш ю.</verse>
				<verse number="19">Иза иштта ду, хӀунда аьлча Делах лаьцна хаа тарлуш дерг массарна а хууш ма ду, Дала Ша иза царна хаийтина дела.</verse>
				<verse number="20">ХӀунда аьлча, гуш а боцуш, ткъа даим болуш болу Делан ницкъ а, Цуьнан Дела хилар а гуш ду, Дала дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна. Массо а кхоьллинчу хӀуманах церан кхета таро ю, цундела оцу адамийн бехказадовлийла яц Дела царна ца вовзарна.</verse>
				<verse number="21">ХӀунда аьлча шайна Дела вевззашехь, оцу адамаша хьакъ мадду сий а ца дора Делан, Цунна хастамаш а ца бора. И даран метта адамаш эрначу ойланашкахьа дирзинера, кхетам боцу церан дегнаш Ӏаржделлера.</verse>
				<verse number="22">Шаьш хьекъал долуш ду а бохуш, уьш сонта бовлуш бара.</verse>
				<verse number="23">Цкъа а лийр воцучу Делан сийлалла цара хийцира цӀушна Ӏамалъярх. И цӀуш лийр долчу адамийн а, хьозанийн а, дийнатийн а, текхаргийн а куьцехь бара.</verse>
				<verse number="24">Цундела и адамаш шайн дегнийн хьарамчу лаамийн карахь дитира Дала, ткъа цара вовшашца сийсаза а лелаш, къиношца шайн догӀмаш бехдира.</verse>
				<verse number="25">Делах лаьцна долу бакъдерг харцдолчух а хийцина, Дала кхоьллинчу хӀуманашна Ӏибадат дора цара, шаьш Кхоьллинчунна Ӏибадат даран метта. Ткъа Цунна даим бу хастам, амин!</verse>
				<verse number="26">Цундела Дала эхье болчу, боьхачу лаамийн карахь битина уьш. Зударша шайн хила еза юкъаметтиг, вовшашца сийсаза а лелаш, хила ца еззачу тайпана йинера.</verse>
				<verse number="27">Божарий а, зударшца хила езачу юкъаметтиган метта, вовшашка эхье болчу лаамех буьзнера. Эхь-бехк а дайна, уьш вовшашца лелара. Иштта леларца шайн догӀмаш къинойх дузура цара. Шайн тилабаларца хьакъ доллу Делан оьгӀазло шайн коьрта тӀе йоуьйтура цара.</verse>
				<verse number="28">Дела вовзар царна мехала хӀума ца хетта дела, Цо уьш тиладеллачу хьекъалан долахь битина. Иштта лело цадезарг леладо цара.</verse>
				<verse number="29">Массо а тайпана зуламех а, мекараллех а, бӀаьрмецигаллех а, вочух а буьзна бу уьш. Иштта хьогӀах а, адамаш дайа лаарх а, эмгараллах а, ямартлонах а, луьраллах а буьзна бу уьш. Цара эладитанаш леладо.</verse>
				<verse number="30">Вовшашна мотт бетта цара. Дела ца веза царна. КӀоршаме а, кураллех буьзна а, дозаллаш деш а, зулам дар лоьхуш а, шайн дай-наношка ла ца дугӀу цара.</verse>
				<verse number="31">Хьекъал долуш бац уьш. Тешаме а бац уьш, эсала а, къинхетаме а бац.</verse>
				<verse number="32">Ишттаниг лелораш хӀаллакьхила хьакъ долуш буйла шайна хуъушехь, шаьш иштта лелла а ца Ӏаш, цара ишттаниг деш болу кхиберш а бакъбо.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Амма кхечунна бехк буьллуш волчу хьан бехказаволийла дац, хӀунда аьлча кхечунна еш йолу кхел ахь хьайна йо, кхиверг бехке веш волчу ахьа а изза леладо дела.</verse>
				<verse number="2">Ткъа вайна хаьа, иштта гӀуллакхаш дечарна Дала еш йолу кхел нийса юйла.</verse>
				<verse number="3">Иштта гӀуллакхаш дечарна кхел а еш, ткъа айхьа изза а лелош, Делан кхелах хьо кӀелхьарвер ву-м ца моьтту хьуна, ва стаг?</verse>
				<verse number="4">Я Делан шортта долчу диканах, эсалаллах, собарх ца веша те хьо? Ца кхета те хьо Шен диканца Дела хьо Шена тӀеверзо гӀерташ хиларх?</verse>
				<verse number="5">Амма хьайн юхахьарачу амалца а, дохко ца долучу дагца а ахьа-айхьа хьайна таӀзарш гулдо Делан оьгӀазло а, Цуьнан бакъйолу кхел а гучуйоккхучу денна.</verse>
				<verse number="6">Дала хӀоранна а, цуьнан гӀуллакхашка хьаьжжина, йийр ю кхел.</verse>
				<verse number="7">Дика гӀуллакхаш а деш, сийлалла а, ларам а, хедар доцу дахар а лоьхучарна Ша волчохь долу хедар доцу дахар лур ду Цо.</verse>
				<verse number="8">Ткъа дегала а болуш, билггал бакъдерг дӀа а тоттуш, харцдолчунна тӀаьхьахӀуьттучарна Делан луьралла а, оьгӀазло а хир ю.</verse>
				<verse number="9">Зулам деш волчу хӀоранна а гӀайгӀанаш а, баланаш а хир бу, цкъа хьалха жуьгташна, тӀаккха кхечу къаьмнех болчарна!</verse>
				<verse number="10">Мелхо а, сийлалла а, ларам а, синпаргӀато а хир ду дика деш волчу хӀоранна а, цкъа хьалха жуьгташна, тӀаккха кхечу къаьмнех болчарна!</verse>
				<verse number="11">ХӀунда аьлча Дала озабезам ца бо цхьаьнгге а.</verse>
				<verse number="12">Товрат-хьехамийн долахь а боцуш, къинош латийнарш, оцу хьехамашка а ца хьоьжуш, хӀаллакбийр бу. Ткъа хьехамийн долахь шаьш боллушехь, къинош летийначарна оцу хьехамашца йоггӀу кхел йийр ю.</verse>
				<verse number="13">ХӀунда аьлча товрат-хьехамашка ладегӀарх нах Далла хьалха бакъ ца бо, ткъа и хьехамаш кхочушбийраш Цунна хьалха бакъбийр бу.</verse>
				<verse number="14">Ткъа товрат-хьехамаш боцуш болчу кхечу къаьмнех болчара шайн лаамашца товрат-хьехамо тӀедиллинарг кхочушдича, цара шаьш гойту, магийнарг а, цамагийнарг а хӀун ду шайна хаар, товрат-хьехамаш шайн боццушехь а.</verse>
				<verse number="15">Оцу хьехамашка хьаьжжина лелар шайн дегнаш чохь дӀаяздина хилар гойту цара. Цунах лаьцна тоьшалла до церан дегнаша. Церан ойланаша уьш цкъа бехке бо, юха бехказабоху.</verse>
				<verse number="16">Иза иштта хир ду, аса кхайкхош болчу хазачу кхоо ма-бохху, адамийн къайлахчу ойланашна Дала Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула кхел ечу дийнахь.</verse>
				<verse number="17">Ткъа хӀинца ша жуьгти ву бохучу хьох лаьцна хӀун ала дезаш ду? Хьан дегайовхо ю товрат-хьехамех, Делах дозалла а до ахьа.</verse>
				<verse number="18">Делан лаам а бевза хьуна, ткъа товрат-хьехамашна тӀера Ӏамийна дела, дика долчух а кхета хьо.</verse>
				<verse number="19">БӀаьрса доцучарна некъ гойтург хьо хиларх а теша хьо, боданехь болчарна хьайх серло яларх а теша хьо.</verse>
				<verse number="20">Кхетам боцучарна хьехамаш бо ахь, берийн хьехархо а хьо ву, хӀунда аьлча товрат-хьехамашкахь билггал бакъдерг хааран кеп хьуна дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="21">Кхечарна хьехамаш беш волчу ахьа хьо Ӏамавой те? ХӀума ма лачкъае а бохуш, ткъа айхьа лечкъайой те ахьа?</verse>
				<verse number="22">Сийсаза ма лела а бохуш, хьо-хьо иштта лелий те? ЦӀуйх ца вешаш волчу ахьа харцделанийн цӀенош чохь айхьа къола дой те?</verse>
				<verse number="23">Товрат-хьехамех дозалла а деш, ткъа хьехамашца цадогӀург кхочуш а деш, Делан сий дойий те ахьа?</verse>
				<verse number="24">Яздина ма ду: «Шу бахьана долуш, емалвеш ву Дела кхечу къаьмнех болчу наха».</verse>
				<verse number="25">Сунтвина хилар пайденна ду, нагахь санна товрат-хьехамаш кхочушбеш белахь. Амма бакъонаш лар а ца еш, хьо зуламхо велахь, хьо сунт ца винарг санна лорур ву.</verse>
				<verse number="26">Цундела, нагахь санна сунтвина воцучо товрат-хьехамаша тӀедиллинарг кхочушдеш хилча, иза сунтвича санна лорийла дац ткъа?</verse>
				<verse number="27">Ша вичхьана а сунтвина воццушехь, товрат-хьехамаш кхочушбеш волчо бехке вийр вац ткъа хьо, сунтвина воллушехь, язйина йолу бакъонаш талхош верг?</verse>
				<verse number="28">ТӀехьаьжча, тера леларх жуьгти хир ма вац, ткъа сунтвар дилхан тӀера чкъор даккхар бен ма ца хуьлу.</verse>
				<verse number="29">Бакъволу «жуьгти» (Делан халкъах верг) шен даг чохь жуьгти верг ву. Иштта сунтвар — йозанца ван веза аьлла дела а доцуш, ткъа даг чохь Делан Синехула сунтвар ду. Цунна, адамашкара а боцуш, Делера хастам хир бу.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">Жуьгти хилар гӀолехь хӀунда ду, я сунтварх хӀун пайда хуьлу?</verse>
				<verse number="2">Иза массо а агӀор гӀолехь ду, ткъа уггар а дика дерг Делан дош царна Ӏалашдан делла хилар ду.</verse>
				<verse number="3">Ткъа и хӀун ду? Нагахь санна цхьаберш тешаме ца хиллехь, церан тешам цахиларо дойур-м дац те Делан тешаме хилар?</verse>
				<verse number="4">Дера дац! Дела тешаме ву, ткъа муьлхха а адам харцлуьйш ду. Яздина ма ду: «Айхьа дуьйцучохь Хьо нийса а ву, кхел ярехь Хьо тоьлур а ву».</verse>
				<verse number="5">Нагахь вайн харцлеро Делан бакъхилар дӀадоьллуш хилча, хӀун ала вай? Дела нийса вуй те, бохур ду вай, Цо Шен таӀзар вайна дича? (Аса-м адаман ойланца боху иштта.)</verse>
				<verse number="6">Дера дац! Иза иштта хилча, дуьнен чуьра массо а адамашна Дала кхел ян муха тарло?</verse>
				<verse number="7">Нагахь санна сан тешаме цахиларо Делан тешаме хилар лакхадоккхуш хилча, нагахь санна Делан сийлалла иштта алсамдолуш хилча, хӀета къинош летийначунна санна Дала суна кхел хӀинца а хӀунда ян еза?</verse>
				<verse number="8">Иза иштта делахь: «Диканиг далийтархьама, зуламаш дей вай» хӀунда олийла дац ткъа? Вай иштта хьехамаш бо бохуш, цхьаболчара меттанаш детта вайна. Ишттачарна Дала нийса кхел йина.</verse>
				<verse number="9">ТӀаккха? Дуй те вай царал тоьлуш? Данне а дац, хӀунда аьлча ас дӀагайтина жуьгтий а, кхечу къаьмнех берш а къинан долахь хилар.</verse>
				<verse number="10">Яздина ма ду: «Далла хьалха цхьа а бакъ вац.</verse>
				<verse number="11">Цхьа а кхетам болуш а вац, цхьа а Дела лоьхуш а вац.</verse>
				<verse number="12">Массо а адамаш Делах дӀадирзина, берриш а галбевлла бу. Цхьа а диканиг дийриг вац, ур-атталла цхьаъ-м вац.</verse>
				<verse number="13">Церан къамкъаргаш дӀаделладелла кешнаш санна ю. Шайн меттанашца нах лебо цара. Лаьхьарчийн дӀовш ду церан багахь.</verse>
				<verse number="14">Церан баганаш сардамех а, стимах а юьзна ю.</verse>
				<verse number="15">ЦӀий Ӏано уьш сиха арабовлу.</verse>
				<verse number="16">Цара шаьш баханчохь бохам а бо, хӀаллакдар а дахьа.</verse>
				<verse number="17">Машаран некъ ца бевза царна.</verse>
				<verse number="18">Церан бӀаьргаш чохь Делах кхерар дац».</verse>
				<verse number="19">Ткъа хӀинца вайна хаьа, товрат-хьехамаша хьоьхург хьехамийн долахь болчарна а дуйла. Цундела цхьаннан а бехказаволийла дац: массо а адамаш — жуьгтий я кхечу къаьмнех уьш белахь, Далла хьалха бехке хуьлу.</verse>
				<verse number="20">Товрат-хьехамаш кхочушбарх, Далла хьалха цхьа а бехказавер вац. Оцу хьехамашкахула адамаш шаьш къинош хиларх кхета.</verse>
				<verse number="21">Ткъа хӀинца гучудаьккхина Далла хьалха адамаш бакъдар муха магийна. Иза товрат-хьехамашца доьзна дац. Цунах лаьцна тоьшалла до товрат-хьехамаша а, пайхамарша а.</verse>
				<verse number="22">Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тешарехула нах Шена хьалха бакъбо Дала. Ӏийсах тешачарна массарна а ло Дала и бакъдар. Царна юкъахь башхо яц,</verse>
				<verse number="23">хӀунда аьлча массара а къинош а летийна, массо а Делан сийлаллех дӀакъастийна а ву.</verse>
				<verse number="24">Шен диканца уьш массо а Дала Шена хьалха маьхза бакъбо, Цо леррина къобалвинчу Ӏийсас нах къинойн олаллех паргӀатбахар бахьана долуш.</verse>
				<verse number="25">25-26 Къинойн гӀуда такхаран сагӀина Ӏийса дӀавелира Дала. Ӏийсах а тешна, Цуьнан валар бахьана долуш, вайн къинойн гӀуда текхна ду. Дала иза иштта къобалдира, хьалха летийна къинош Шен собарца таӀзар ца деш а дуьтуш, Ша бакъ хилар гайтархьама. ХӀинца йолчу заманахь а Ша бакъ хилар гойту Дала, Ӏийсах мел тешарг Шена хьалха бакъварца.</verse>
				<verse number="26">***</verse>
				<verse number="27">Стенах дозалла дойла ду стеган? Цхьана а хӀуманах дац! Делахь хӀун бахьана долуш Далла хьалха бакъво стаг? Товрат-хьехамаш кхочушбар бахьанехь бакъво те стаг Далла хьалха? Дера ца во! Ӏийсах тешарехула бен бакъ ца во!</verse>
				<verse number="28">Иштта, оха жамӀ до: адам Далла хьалха бакъдар цуьнан тешарехула бен дац, ткъа товрат-хьехамаш кхочушбарехула иза ца хуьлу.</verse>
				<verse number="29">Ткъа Дела кхечу къаьмнех болчу нехан а воцуш, беккъа жуьгтийн Дела ву те? Вац дера, Иза кхечу къаьмнех болчу нехан а Дела ву.</verse>
				<verse number="30">Дела цхьаъ бен вац. Адамийн тешарехула Цо сунтбинарш Шена хьалха бакъбо, ткъа оццу тешарехула Цо сунтбаза берш а бакъбо Шена хьалха.</verse>
				<verse number="31">ТӀаккха Ӏийсах тешарна товрат-хьехамаш дӀабохий те вай? Дера ца боху. Мелхо а, вай уьш тӀечӀагӀбо.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">Вайн дайн да волчу ИбрахӀимах лаьцна хӀун эр дара вай? Далла хьалха нах бакъбарх хӀун Ӏемина цунна?</verse>
				<verse number="2">Ша дина гӀуллакхаш бахьана долуш, ИбрахӀим Далла хьалха бакъвина хиллехьара, цуьнан дозалла дан йиш хир яра. Делахь а Далла хьалха дозалла дан йиш яцара цуьнан.</verse>
				<verse number="3">Ткъа Делан Йозанаша хӀун боху? «ИбрахӀим тийшира Делах, цундела Цо иза Шена хьалха бакъвина лерира».</verse>
				<verse number="4">Болх бечунна луш дерг, цунах къинхетам бар ца лоруш, цунна дӀадала леринарг санна дӀало.</verse>
				<verse number="5">Нагахь санна Далла хьалха ша бакъвина хилархьама стага дика гӀуллакхаш ца дахь а, ткъа Ӏеса нах бакъбечу Делах иза тешаш велахь, Дала иза Шена хьалха бакъвийр ву, цуьнан тешар бахьана долуш.</verse>
				<verse number="6">Иштта динчу дика гӀуллакхашца доьзна а доцуш, Дала Шена хьалха бакъвина лоручу стагах Дауд-паччахьо а декъала волу стаг олура:</verse>
				<verse number="7">«Декъала бу Дала гечдина а, къинош Цо дӀадаьхна а берш.</verse>
				<verse number="8">Декъала бу Везачу Эло церан къинош цкъа а царна дуьхьал ца лоруш берш».</verse>
				<verse number="9">Ткъа и декъалалла сунтбиначарна бен ца хуьлу теша? ХӀан-хӀа, иза кхечу къаьмнех болчарна а ду, уьш сунтбаза белахь а. Вай олуш ма-дарра, ИбрахӀим Делах тешарна, Цунна хьалха бакъвина лерина.</verse>
				<verse number="10">Маца хилла иза? Иза сунтвале лерина я сунтвиначул тӀаьхьа лерина? Сунтвинчул тӀаьхьа а доцуш, иза сунтвале бакъвина лерина.</verse>
				<verse number="11">Ткъа и сунтвар цунна билгалонна дина дара, шен тешарехула Дала иза Шена хьалха бакъвина лерина гойтуш. Ткъа иза сунтвале хьалха Дала Шена хьалха бакъвина леринера. Иштта иза сунтбаза болчарах массо а тешачеран да хилла дӀахӀоьттира. Церан тешар бахьана долуш Дала уьш Шена хьалха бакъбина лору.</verse>
				<verse number="12">Иштта, ИбрахӀим вукху тобанан а да хилла дӀахӀоьттина. Сунтдар тӀеэцна хилла а ца Ӏаш, вайн да волчу ИбрахӀиман сунтвале дуьйна долчу тешаран ларашца лела массо а сунтбинарш цу тобанна юкъабогӀу.</verse>
				<verse number="13">ИбрахӀиман а, цуьнан тӀаьхьенан а карахь хир ду дуьне, аьллера Дала. ИбрахӀима товрат-хьехамаш кхочушбо дела, аьлла дацара иза, ткъа Дала иза, цуьнан тешар бахьана долуш, Шена хьалха бакъвина лерина хиларна аьлла дара.</verse>
				<verse number="14">Нагахь санна лур ду аьлларг товрат-хьехамаш кхочушбечарна догӀуш хилча, Делах тешар а мехала хир дацара, лур ду аьлларг эрна а хир дара.</verse>
				<verse number="15">Товрат-хьехамаша, уьш кхочуш ца бича, Делан оьгӀазло хуьлуьйту. Ткъа бакъонаш ца хиллехьара, бакъонаш йохор а нислур дацара.</verse>
				<verse number="16">Ткъа и лур ду аьлларг тешарна ло, Дала вайна маьхза ло диканиг иза долу дела. ИбрахӀиман массо а тӀаьхьенна, чӀагӀо а еш, ло иза. Товрат-хьехамаш кхочушбеш болчу тешачарна бен а доцуш, амма ИбрахӀиман тешарца кхечу къаьмнех болчу тешачарна а ло иза. ИбрахӀим вайн массо а тешаш болчеран да ма ву,</verse>
				<verse number="17">Делан Йозанаш тӀехь яздина ма-хиллара: «Аса хьо дуккхачу а къаьмнийн да вина». ИбрахӀим вайн да хилира ша тешна волчу а, белларш денбеш волчу а, гуш доцург гуш деш волчу а Далла хьалха.</verse>
				<verse number="18">Сатийса бахьана доццушехь, ИбрахӀим Дала йинчу чӀагӀонах кхидӀа а тешаш а, сатуьйсуш а вара. И тешар бахьана долуш, дуккхачу а къаьмнийн да хилира иза. Яздина ма-хиллара: «Оццул дукха хир ю хьан тӀаьхье».</verse>
				<verse number="19">Тешарх ца вухуш, бӀе шо кхоччуш долчу шен дегӀе, веллачун дегӀе санна, бераш далург цахилар а, Сарат доьзалхо хуьлуш цахилар а дагахь латтадора цо.</verse>
				<verse number="20">Дала шена лур ду аьллачу тешарна тӀера ойла ца керчира цуьнан, мелхо а, шен тешар тӀехь чӀагӀвелла Ӏийра иза, сийлалла Далла дӀа а делла.</verse>
				<verse number="21">Иза кӀоргге тешна вара дийр ду аьлларг кхочушдан Делан ницкъ хиларх.</verse>
				<verse number="22">Цундела «Дала иза Шена хьалха бакъвина лерира».</verse>
				<verse number="23">Бакъду, яздинарг цунна цхьанна пайденна хилла ца Ӏа — «Дала иза Шена хьалха бакъвина лерира»,</verse>
				<verse number="24">амма вайна а пайденна ду: вайн Веза Эла волу Ӏийса веллачуьра Денвинчух вай тешна дела, Шена хьалха вай а бакъдина лорур ду Дала.</verse>
				<verse number="25">Ӏийса вайн къиношна тӀера сагӀина дӀа а веллера, вай Далла хьалха бакъдархьама ден а винера.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">Ваьш тешарехула бакъдина дела, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас динарг бахьана долуш, Делаца синпаргӀато а йолуш деха вай.</verse>
				<verse number="2">Вай Цунах тешар бахьана долуш, Ӏийсас Делан доккхачу диканна тӀекхочийла хилийтина вайна. ХӀинца вай дехаш ду оцу диканехь. Даккхий а деш, Делан сийлаллин декъехь хиларе сатуьйсуш ду вай.</verse>
				<verse number="3">Цунах даккхийдийна а ца Ӏаш, ваьш баланаш хьегарх а даккхийдеш ду вай. Вайна хаьа, баланаш хьегаро доьналла долуш хуьлуьйтийла.</verse>
				<verse number="4">Доьналла долуш хиларо къобалдар дахьа, ткъа къобалдаро сатийсар ло.</verse>
				<verse number="5">Оцу сатийсаро дог доьхна ца хуьлуьйту вай, хӀунда аьлча Ша вайна деллачу Шен Синца вайн дегнаш чу Дала Шен безам Ӏанийна.</verse>
				<verse number="6">Ваьшна гӀо дан вай де доцуш дисича, Дала билгалъяьккхинчу хенахь, Ӏесачеран метта Дала леррина Къобалвинарг жӀара тӀехь велла.</verse>
				<verse number="7">Наггахь бен, бакъахьара волчун метта цхьана а стагана вала ца лаьа. Делахь а дикачун метта вала цхьаъ реза хила а там бу.</verse>
				<verse number="8">Амма, вай хьарамлонаш лелош долчу хенахь, вайн дуьхьа велла Дала леррина Къобалвинарг. Цу тайпана Шен вайга болу безам мел боккха бу гойту Дала.</verse>
				<verse number="9">Ӏийсан цӀийца вай бакъдина хилча, Цуьнгахула муххале а кӀелхьардевр ду вай Делан оьгӀазлонах.</verse>
				<verse number="10">Вай Шен мостагӀий долчу хенахь Дела вайца тайра Шен КӀентан валарца. Дала Шеца тайтина долу вай, хӀинца муххале а Цуьнан КӀантехула кӀелхьардевр ду, КӀант дийна волу дела.</verse>
				<verse number="11">Цунах тоам бина а ца Ӏаш, вай Делаца тайтина волчу а, вайн Веза Эла волчу а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула вайца Дела хиларна, даккхийдеш ду вай.</verse>
				<verse number="12">Цхьана адамехула — Адамехула — дуьнен чу къа деара, ткъа къинехула Ӏожалла а еана. Иштта Ӏожалла а хӀора адамна тӀееана, массара а къа латийна дела.</verse>
				<verse number="13">Товрат-хьехамаш юкъабале а, къа дуьнен чохь долуш дара. Амма хьехамашна юкъайогӀу бакъонаш ца лелачохь къалатор бехке ца лору.</verse>
				<verse number="14">Делахь а Адаман хенахь дуьйна Мусан хене кхаччалц дехаш долчу массо а адамашна тӀехь Ӏожалло шен олалла дора, Адама латийнарг санна долу къа цара ца латийнехь а. Цхьана агӀор хьаьжча, шел тӀаьхьа вогӀу Волчух тера вара Адам.</verse>
				<verse number="15">Делан дика зуламах тера дац. Нагахь санна, цхьана адамо дина зулам бахьана долуш, дуккха а адамаш хӀаллакьхуьлуш хилча, тӀаккха муххале а Делан шорта долу дика, Цо цхьана адамехула — Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула — маьхза луш долу совгӀат дуккха а адамна кхочур ду!</verse>
				<verse number="16">Дала делла хӀара совгӀат цхьана адамо латийначу къинах тера дац. ХӀунда аьлча цхьана адамо динчу зуламна йинчу кхело таӀзар хилийтина, ткъа дуккха а къинош латорна Дала динчу дикано адамаш Цунна хьалха бакъдар хилийтина.</verse>
				<verse number="17">Цхьана адамо дина зулам бахьана долуш, оцу цхьана адамехула Ӏожалло олалла дар дӀадоладелла. Амма цхьана адамехула, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула, хилийтинарг кхин а дукха ду. Делан шорта долу дика а, Далла хьалха бакъдина хиларан совгӀат а тӀе мел эцнарш Ӏийсагахула олалла деш хир бу дахарехь.</verse>
				<verse number="18">Иштта дан а ду иза. Цхьаммо динчу зуламехула массо а адам бехкехилар тӀедаийтина. Иштта цхьана адамо динчу бакъдолчу гӀуллакхо массо а адамашна кхочу бакъдар а, дахар а ло.</verse>
				<verse number="19">Цхьа адам Далла муьтӀахь ца хилла дела, массо а адамех къинош летийнарш хилира. Иштта цхьана адаман Далла муьтӀахь хиларо дуккха а адамаш бакъдина хир ду.</verse>
				<verse number="20">Товрат-хьехамаш тӀаьхьо юкъабевллера, зуламаш алсамдовлийтархьама. Ткъа къинош алсамдевлча, Делан дика кхин а совдала дуьйлира.</verse>
				<verse number="21">Къиноша, адамаш Ӏожаллина тӀе а далош, олалла деш хиларе терра, иштта Делан дикано а олалла дийр ду Далла хьалха бакъвина хиларехула. Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Делаца долчу хедар доцучу дахаре кхачор ду адамаш.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="6">
				<verse number="1">ТӀаккха, хӀун ала вай? Къинош а летош Ӏей те вай, Делера долу доккха дика кхин а алсамдалийтархьама?</verse>
				<verse number="2">Дера ма Ӏе! Къинах лаьцна аьлча, вай делла ду. Делахь, къинош а летош, кхидӀа вай муха дахалур ду те?</verse>
				<verse number="3">Ца хаьа те шуна, Дала леррина Къобалвинчун дола а девлла, шаьш хих чекхдахийтина долчу вай Цуьнан валар а тӀеэцна хилар?</verse>
				<verse number="4">Иштта, вай хих чекхдахийтича, вай Цуьнца цхьаьна дӀа а доьхкина, дала а делла. Ткъа иза хилира, Шен Ден ницкъаца веллачуьра денвина волу Дала леррина Къобалвинарг санна, вай а керлачу дахарехь Ӏайтархьама.</verse>
				<verse number="5">Иза валаре терра, вай, дала а делла, Цуьнца цхьаьнакхетта хилча, Иза денваларе терра, ден а делла, юха цхьаьнакхетар ду.</verse>
				<verse number="6">Вайна хаьа, шира адам Ӏийсаца цхьаьна жӀарах дӀатоьхна, къа лато хуьлуш болу вайн лаам хӀаллакбархьама а, ткъа иштта къинан леш вайх кхидӀа ца хилийтархьама а,</verse>
				<verse number="7">хӀунда аьлча велларг къинан олаллех паргӀатваьлла.</verse>
				<verse number="8">Нагахь санна Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна вай делла хилча, вай теша, Цуьнца цхьаьна ваьш дехар долуш хиларх а.</verse>
				<verse number="9">Дала леррина Къобалвинарг веллачуьра цкъа денвелла хилча, иза кхин цкъа а лийр вац, хӀунда аьлча Ӏожалло Цунна тӀехь кхин олалла дойла дац.</verse>
				<verse number="10">Цуьнан валар гуттаренна а цкъа къинан олаллех дӀакъаьсташ валар дара, ткъа Цуьнан дахар Делан дуьхьа дахар ду.</verse>
				<verse number="11">Цундела аша шаьш а къинна делла лара. Ткъа шаьш дийна хилар — Делан дуьхьа дехаш хилар лара вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца цхьаьна.</verse>
				<verse number="12">Лийр долчу шайн догӀмашна тӀехь кхидӀа къине олалла ма дайта. Къинан Ӏалашо ю сийсаза лаамаш шуьга кхочушбайтар.</verse>
				<verse number="13">КхидӀа а шайн догӀмийн меженаш къинан кара ма яхийта, харцо лело гӀирсаш санна. Мелхо а, шаьш Далла дӀало, деллачуьра дендинарш санна. Ткъа шайн догӀмийн меженаш, Делан лаамехь долчу гӀуллакхаша лело гӀирсаш санна, Цуьнан караяхийта.</verse>
				<verse number="14">Къино шуна тӀехь олалла дан ца деза: шу товрат-хьехамийн олаллехь дац, ткъа Делан диканан олаллехь ду.</verse>
				<verse number="15">ТӀаккха иштта къинош летор дуй те вай, товрат-хьехамашна долахь а доцуш, Делан доккхачу диканан олаллехь хилча? Дера дац!</verse>
				<verse number="16">Шу кхеташ дац те, леш санна цхьанна муьтӀахь хила шу карадахча, шу къар а лой, цуьнан леш хуьлий? Я къинан леш хуьлу шу, ткъа иза бахьана долуш шу хӀаллакдийр ду, я Далла муьтӀахь хиларан леш хуьлу, ткъа иза бахьана долуш шу Далла хьалха бакъдар ду.</verse>
				<verse number="17">Далла бу хастам! ХӀетахь къинан леш шу хиллехь а, хӀинца шаьш муьтӀахь динчу хьехаман кепехь даггара къарделла шу.</verse>
				<verse number="18">Къинойх паргӀатдевлла долу шу, хӀинца Делан лаамехь дерг кхочушдаран леш хилла.</verse>
				<verse number="19">Шун адамийн синош гӀийла долу дела, шу кхетар доллучу маттахь боху ас. ХӀетахь шайн дегӀан меженаш сийсаза леларан а, зулам даран а лолле дӀаеллера аша, ткъа цунах кхин а дукха зулам хилира. Ткъа хӀинца Делан лаамехь дерг кхочушдаран лолле дӀало уьш, иштта шу Далла герга кхочур ду.</verse>
				<verse number="20">Шу къинан леш долчу хенахь, Делан лаамехь дерг кхочушдарх мукъа дара.</verse>
				<verse number="21">Шаьш хӀинца юьхьӀаьржачу хӀиттош, хӀетахь лелийначу гӀуллакхех шуна хӀун пайда баьлла? Цу гӀуллакхийн чаккхе Ӏожалла ма ю!</verse>
				<verse number="22">Ткъа хӀинца, къинан олаллех паргӀат а даьхна, шу Делан леш хилча, цунах Далла гергакхачаран пайда хуьлу шуна, ткъа иза бахьана долуш хедар доцу дахар хир ду шун.</verse>
				<verse number="23">Къинош леторна луш йолу ял Ӏожалла ю, ткъа Дала луш долу совгӀат Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца цхьаьна хир долу хедар доцу дахар ду.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="7">
				<verse number="1">Динан вежарий, шуна хууш дац ткъа (аса хӀара бакъонаш евзачаьрга ма боху), бакъонаша, адам дийна мел ду, цунна тӀехь олалла дойла?</verse>
				<verse number="2">Товрат-хьехамийн бакъонаша тӀе-ма-диллара, марехь йолу зуда, шен майра дийна мел ву, цунна тешаме хила еза. Шен майра велча, оцу бакъонех иза паргӀатйолу.</verse>
				<verse number="3">Цундела, майра дийна а волуш, иза кхечуьнга яхча, иза нахаца леларг лору. Амма майра велла йолу зуда маре яхча, иза нахаца леларг ца лору.</verse>
				<verse number="4">Иштта шу а, сан динан вежарий, Дала леррина Къобалвинарг валарца Цуьнца цхьаьна товрат-хьехамашна делла ду. Веллачуьра Денвинчун дола вай девлла, Далла стоьмаш бахьаш долу дахар вайн хилийтархьама.</verse>
				<verse number="5">Вешан синан лаамийн долахь вай хилча, вайн дегӀан меженаша къилахь болу лаамаш кхочушбора, ткъа товрат-хьехамаш бахьана долуш и лаамаш алсамбовлура. Цара вайга Ӏожаллина гӀуллакхаш дойтура.</verse>
				<verse number="6">Ткъа хӀинца вай дихкинчу хьехамашна делла долу вай оцу хьехамех паргӀатдаьхна. Иштта ширачу некъаца, товрат-хьехамаш кхочушбарца, Далла гӀуллакх ца до вай, амма керлачу некъаца, Делан Синца до.</verse>
				<verse number="7">Делахь, товрат-хьехамаш къилахь бу аьлла, жамӀ дийр ду вай? Дера дац! Амма суна къалатор хӀун ду хуур дацара, сайна товрат-хьехамаш ца бевзинехьара. ХӀунда аьлча кхечу стеган хӀума дезар суна девзар дацара, нагахь санна товрат-хьехамаша иштта бохуш дацахьара: «Кхечу стеган цхьа а хӀума шуна ма дезийла».</verse>
				<verse number="8">Амма товрат-хьехамаша бохург бахьана долуш, къино аьтто бина хӀума езийта суна чохь тайп-тайпана лаамаш хилийта. Хьехамаш боцучохь къа делла ма ду.</verse>
				<verse number="9">Со мацах товрат-хьехамаш а боцуш ваьхнера, ткъа весет суна тӀедиллича, къа денделира,</verse>
				<verse number="10">ткъа со велира. Суна ваха аьлла деллачу весето со валарна тӀевалийра.</verse>
				<verse number="11">Къино, хӀара весет бахьана долуш аьтто а баьлла, со Ӏехавалийтира, тӀаккха оццу весетаца со вен а вийра.</verse>
				<verse number="12">Иштта, товрат-хьехамаш беза бу, ткъа и весет деза а, нийса а, дика а ду.</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха и дика дерг кхочушдар хилла те суна Ӏожаллина? Дера ца хилла! Къино дира иза. Дика дерг бахьана долуш, со Ӏожаллина тӀе а валош, къинан къилахь йолу амал гучуяьккхира. Иштта и весет бахьана долуш, къа кхин а чӀогӀа къилахь хилар гучудоккху.</verse>
				<verse number="14">Вайна хаьа товрат-хьехамаш Делан Синера буйла. Ткъа со сайн синан долахь ву. Вохка а воьхкина, къинан лай хилла сох.</verse>
				<verse number="15">Со ца кхета айса лелочух: сайна дан луург аса ца до, ткъа сайна бӀаьрга дан а цадезарг ас кхочушдо.</verse>
				<verse number="16">Нагахь санна аса сайна дан луург деш хилча, товрат-хьехамаш дика бу аьлла, тӀеоьцу аса.</verse>
				<verse number="17">Делахь и кхочушдеш верг баккъалла а со вац, ткъа суна чохь дехаш долу къа ду.</verse>
				<verse number="18">Суна хууш ма ду, суна чохь, баккъалла аьлча, сан адаман са чохь, цхьа а диканиг доллуш цахилар. ХӀунда аьлча дика хӀума дан лаам сан боллушехь, иза кхочуш ца бало соьга.</verse>
				<verse number="19">Сайна дан лууш долу дика дерг аса ца до, ткъа дан лууш доцу вониг до аса.</verse>
				<verse number="20">Нагахь санна дан ца лууш дерг аса деш хилча, тӀаккха со вац-кх и деш верг, суна чохь дехаш долу къа ду-кх.</verse>
				<verse number="21">Иштта суна хаало хӀара массо а ханна лелаш дерг: хӀоразза а дика дерг дан суна дагадеача, вониг дан лаам суна чохь хилар.</verse>
				<verse number="22">Ткъа суна чохь долчу адамна Делан хьехамийн Ӏедалца хазахетар карадо.</verse>
				<verse number="23">Амма сан меженашна чохь кхин тайпа массо а ханна лелаш дерг го суна. Оцу Ӏедало сан хьекъал чохь болчу лаамца къуьйсу. Сан меженашкахь лелаш долчу къинан Ӏедалан йийсархо во цо сох.</verse>
				<verse number="24">Ма миска адам ду со! Хьан кӀелхьарвоккхур ву со Ӏожаллина со тӀевалош долчу хӀокху дегӀах?</verse>
				<verse number="25">Аса баркалла боху Далла, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Цо иза дарна! Делахь, сан хьал иштта ду: цхьана агӀор сайн хьекъалца со-со Делан хьехамийн Ӏедалан лай ву, ткъа вукху агӀор сайн адаман синца къинан Ӏедалан лай а ву.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="8">
				<verse number="1">Делахь, хӀинца Дала леррина Къобалвинчуьнца бехачарна цхьана а тайпана кхел йийр яц,</verse>
				<verse number="2">Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца долу дахар тӀедалочу Делан Синан Ӏедало къиношна а, Ӏожаллина а тӀевалочу Ӏедалех хьо паргӀатваьккхина дела.</verse>
				<verse number="3">Вайн адаман са эгӀаза хиларна, товрат-хьехамашка кхочушдан ца делларг Дала кхочушдина. Дала лаьтта тӀе Шен КӀант ваийтира къинойн адамийн санна долчу вастехь, къинах доккху сагӀа Цунах хилийтархьама. Цу тайпана Дала адамна чохь доллучу къинна кхел йина.</verse>
				<verse number="4">Цо иза дина, вешан синан лаамашца а доцуш, ткъа Делан Синца дехаш долчу вайгахула товрат-хьехамийн бакъдолу декхарш дуззалц кхочушхилийтархьама.</verse>
				<verse number="5">Шайн синан лаамашца бехачара оцу лаамех дегнаш дузу, ткъа Делан Синца бехачара Синан лаамех шайн дегнаш дузу.</verse>
				<verse number="6">Шайн синан лаамех дегнаш дузар — иза Ӏожалла ю, ткъа Делан Синан лаамех дегнаш дузар — иза дахар а, синпаргӀато а ю.</verse>
				<verse number="7">И хӀунда ду иштта? Нагахь санна адамо шен синан лаамех дог дузахь, иза Делан мостагӀа хуьлу. Делан хьехамийн Ӏедална муьтӀахь ца хуьлу иза, мелхо а, царна муьтӀахь ца хилало иза.</verse>
				<verse number="8">Шайн синан лаамашца лелачаьрга Далла тамехь дерг ца дало.</verse>
				<verse number="9">Амма шу шайн синан лаамашца дехаш дац. Мелхо а, нагахь санна шуна чохь Делан Са дехаш делахь, Делан Синан лаамашца деха шу. Нагахь санна шух цхьаьнца Дала леррина Къобалвинчун Са дацахь, иза Цуьнан долахь вац.</verse>
				<verse number="10">Нагахь санна Дала леррина Къобалвинарг шун даг чохь вехаш велахь, шун дегӀ, къинош летош хиларна, лийр ду, ткъа шун са дийна ду, Дала шу бакъдина долу дела.</verse>
				<verse number="11">Ӏийса веллачуьра денвина Волчун Са шуна чохь дехаш долу дела, Ӏийса веллачуьра Денвинчо шун лийр долчу догӀмашна а дахар лур ду шуна чохь дехаш долчу Синехула.</verse>
				<verse number="12">Иштта, динан вежарий, Делан Синан лаамца даха декхарийлахь ду вай, амма вайн синан лаамца даха ца деза вай.</verse>
				<verse number="13">ХӀунда аьлча шайн синан лаамашца дахахь — шу лийр ду, ткъа Делан Синан гӀоьнца шайн дегӀо летош долу къинош аша хӀаллакдахь — шу Дела волчохь дехар ду.</verse>
				<verse number="14">ХӀунда аьлча Делан Сино лелош дерш Делан бераш ду.</verse>
				<verse number="15">Аша тӀеэцнарг шух юха а леш хуьлуьйту Са дац, юха а кхерамехь шу дехаш хуьлуьйтур долу. Аша тӀеэцнарг шух Делан бераш хуьлуьйту Са ду. Оццу Синца вай кхойкху: «Абба, сан Дада!»</verse>
				<verse number="16">Вайна чохь долчу синца цхьаьна Делан Сино Ша тоьшалла до вай Делан бераш хиларх лаьцна.</verse>
				<verse number="17">Вай Делан бераш хилча, берашна кхочу дерг вайна а кхочур ду. Дала иза вайна лур ду, ткъа Дала леррина Къобалвинчунна кхаьчнарг вайна а кхочур ду, хӀунда аьлча, нагахь санна Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна вай баланаш хьоьгуш хилча, Цуьнца цхьаьна вай сийлаллехь а хир ду.</verse>
				<verse number="18">Вайна гойтур йолу сийлаллица дуьстича, вай хӀинца ловш йолу халонаш хӀумма а доцург лору ас.</verse>
				<verse number="19">Дала кхоьллина мел долу хӀума сатийсарца ладоьгӀуш ду, Делан бераш муьлханаш ду шайна дӀаделладаларе.</verse>
				<verse number="20">Дала мел кхоьллинарг цу хӀуманийн лаамца ца дахийтина эрна долчун кара, ткъа иза Карадерзийначун лаамца дахийтина. Амма догдохийла ю,</verse>
				<verse number="21">Дала кхоьллина мел дерг талхаран лоллера паргӀатдоккхург хиларе, Делан берашца цхьаьна сийлаллин паргӀатонехь хилийтархьама.</verse>
				<verse number="22">Вайна хаьа, Дала мел кхоьллина хӀума хӀинццалц баланехь дуйла, берах хьийзош йолу зуда санна.</verse>
				<verse number="23">Дала мел кхоьллинчо дина а ца Ӏаш, дуьххьарлера ялтин стом санна, Делан Са вайца доллушехь, вай а ду кийрахь узарш деш, Дала вайна Шен берийн бакъонаш яларан замане ла а доьгӀуш. Оцу хенахь Дала вайн догӀмаш паргӀатдохур ду.</verse>
				<verse number="24">ХӀунда аьлча вай кӀелхьардаьхна а дара, вайн сатуьйсийла а ю, амма вай сатуьйсуш дерг гуш делахьара, тӀаккха иза сатийсар хир дацара. Хьан сатуьйсур ду шена гуш долчуьнга?</verse>
				<verse number="25">Ткъа вай хӀинца ваьшна гуш доцучуьнга сатуьйсу, собар хиларца ла а доьгӀуш.</verse>
				<verse number="26">Цу кеппара гӀорасиза долчу вайна Делан Сино а гӀо до. Вайна ца хаьа дан ма-деззара доӀанаш дан. Ткъа Делан Сино, вайл хьалха а долий, вайна тӀера Деле доьху дешнашца вайга дӀа ца алалучу узаршца.</verse>
				<verse number="27">Амма вайн дегнаш толлуш волчу Далла хаьа, стенах лаьцна доьху Шен Сино, Делан долахь болчарна тӀера Делан лаамца Цо доьху дела.</verse>
				<verse number="28">Вайна хаьа, Дала дерриге а диканна хуьлуьйту Ша везачеран дуьхьа — Шен лаамца Ша тӀекхайкхинчеран дуьхьа.</verse>
				<verse number="29">Далла хьалххе дуьйна хаьара, Шен долахь берш муьлш хир бу. Цо билгалдаьккхинера, уьш Шен КӀентан вастехь хир бу аьлла, дуккха а болчу динан вежаршна юкъахь Иза дуьххьарлера доьзалхо хилийтархьама.</verse>
				<verse number="30">Ша билгалбаьхнарш Дала Шена тӀекхайкхина, ткъа, тӀе а кхайкхина, Шена хьалха бакъбина, бакъ а бина, церан сийлалла айина.</verse>
				<verse number="31">ХӀун эр дара те оцу дерригенах лаьцна? Дела вайгахьа хилча, мила вер ву вайна дуьхьал?</verse>
				<verse number="32">Шен КӀант ца кхоош, вайн дуьхьа баланаш хьега Иза ДӀавеллачо, шеко яц, Шен КӀантаца цхьаьна кхин а дисина дерг а вайна совгӀатна лург хиларх!</verse>
				<verse number="33">Мила ваьхьар ву Дала хаьржинчарна дуьхьал вала? Цхьа а вац-кх! Дала бакъбеш ма бу уьш.</verse>
				<verse number="34">Хьаьнга ялур ю царна кхел? Цхьаьнгге а! Дала леррина къобалвина Ӏийса вайн метта велла-кх. Цул сов, Дала ден а вина, Цунна юххехь аьтту агӀор а хиъна, вайна тӀера Деле доьхуш ву Иза.</verse>
				<verse number="35">ДӀакъастадалур дуй те вай цхьаьнгге а Дала леррина Къобалвинчун безамах? Дац! Халоно, балано, вай лаьхкина леларо, мацалло, къоьлло, кхерамо я Ӏожалло дохур дуй те вай Цуьнан безамах? Дац!</verse>
				<verse number="36">Делан Йозанаша ма-бохху: «Хьо бахьана долуш, хӀора дийнахь тхо дайаран кхерамехь ду. Тхо дайа кечдина долу уьстагӀий санна хета царна».</verse>
				<verse number="37">ХӀетте а, и дерриг а гӀуллакхаш хуьллушехь, ваьш Дезначо вайга уггар боккха толам боккхуьйту.</verse>
				<verse number="38">Со теша, я Ӏожалло, я дахаро, я маликаша, я жинаша, я цхьана а долуш долчо, я цхьана а хиндолчо, я цхьана а ницкъаша,</verse>
				<verse number="39">я цхьана а вайна тӀехь долчо, я цхьана а вайна бухахь долчо, я Дала кхоьллинчу цхьана а кхечу хӀумано а вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула болчу Делан безамах вай дӀакъасто йиш цахиларх.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="9">
				<verse number="1">Дала леррина Къобалвинчуьнца а волуш, билггал бакъдерг боху Аса. Со харц ца лоь. Делан Синан карахь долчу сан даго а тоьшалла до суна:</verse>
				<verse number="2">Исраилан халкъах йоккха гӀайгӀа а, лазам а бу сан даг чохь.</verse>
				<verse number="3">Дала леррина Къобалвинчух со дӀакъастийна хила луур дара суна сайн вежарийн дуьхьа, сан къомах болчу</verse>
				<verse number="4">исраилхойн дуьхьа. Уьш хаьржина долу Делан бераш ду. Царна елла Делан бераш хиларан бакъо а, Делан сийлалла гойла а. Цаьрца Дала барташ бира. Царна белла товрат-хьехамаш а, Далла муха Ӏибадат дан дезаран хаар а. Царна дина Дала Шен ваӀданаш.</verse>
				<verse number="5">Вайн сийлахьчу дайн тӀаьхье — уьш ю. Адамаш дуьнен чу адамех схьадовларе терра, Дала леррина Къобалвинарг а ву царах адам санна дуьнен чу ваьлла. Иза массо а хӀуманна тӀехь волуш волу Дела ву, ткъа Цунна даим а хастам хуьлда! Амин!</verse>
				<verse number="6">Ша йина чӀагӀо Дала кхочуш ца йина аьлла, жамӀ дойла дац, хӀунда аьлча Исраилан халкъах схьабевлларш Далла хьалха берриш а ма бац исраилхой.</verse>
				<verse number="7">Дала ИбрахӀим а, цуьнан тӀаьхье а къастийна елахь а, ИбрахӀиман тӀаьхьенах берш а ма бац берриш а Делан долахь болчарах. Дала аьлла ду: «Хьан тӀаьхье Исхьакхах схьабевллачарах лерина хир ю».</verse>
				<verse number="8">И бохург хӀара ду: ИбрахӀиман дегӀах а, хотӀах а схьадевлларш дерриш а дац Делан бераш, Дала динчу ваӀданца схьабевлларш бен.</verse>
				<verse number="9">ХӀунда аьлча Дала дина ваӀда иштта ма дара: «Билгалъяьккхинчу хенахь Со юхавогӀур ву, тӀаккха Саратан кӀант хир ву».</verse>
				<verse number="10">И хилла а ца Ӏа: изза хилира Ребикхица, иза вайн да волчу Исхьакхах, кийрахь цхьаьний ши кӀант а волуш, берах йолчу хенахь.</verse>
				<verse number="11">11-12 Ребикхе Дала иштта аьллера: «Воккхаха верг жимаха волчунна гӀуллакх деш хир ву». И ши кӀант дуьнен чу а валале, цара цхьа а дика а, вон а дале, Дала иштта аьлла, Шен Ӏалашо стенца йоьзна ю гайтархьама. Цо харжарца бен йоьзна яц Делан Ӏалашо. Динчу гӀуллакхех доьзна а доцуш, ткъа хоржуш Волчун лаамца хуьлу иза.</verse>
				<verse number="12">***</verse>
				<verse number="13">Делан Йозанаш тӀехь яздинчуьнца догӀуш ма ду иза: «Якъуб Суна везавелира, ткъа Ӏесав ца вийзира».</verse>
				<verse number="14">ХӀун эр вай? Делаца харцдерг ду те? Дера дац!</verse>
				<verse number="15">ХӀунда аьлча Муса-пайхамаре Дала иштта боху: «Сайна къинхетам бан луучух Ас къинхетам а бийр бу, Сайна къахета луучух Суна къа а хетар ду».</verse>
				<verse number="16">И бохург хӀара ду: стеган лааме я цо гӀуллакх даре а ца хьоьжуш, Дала Шен къинхетамца хоржу стаг.</verse>
				<verse number="17">Делан Йозанашкахь Дала иштта боху пирӀуне: «Аса хьо, паччахь а вина, дӀахӀоттийна, хьоьгахула Сайн ницкъ гайтархьама а, дуьнен тӀехь массо а адамашна Сайн цӀе йовзийтархьама а».</verse>
				<verse number="18">Иштта Шена луъучух къинхетам а бо Цо, ткъа Шена луъург дуьхьал а волуьйту Цо.</verse>
				<verse number="19">Аша хатта там бу соьга: «Кхин стенна бехке во те Иза? Мила вер ву Цуьнан Ӏалашонна дуьхьал?»</verse>
				<verse number="20">Ткъа мила ву хьо, стаг, Делаца къийсавала? Йинчу хӀумано эр дуй ша йиначуьнга: «Со иштта хӀунда йина ахьа?»</verse>
				<verse number="21">Бакъо яц ткъа куьпчичун хьийначу цхьана поппарх цхьа пхьегӀа лараме долчу гӀуллакхна, ткъа важа пхьегӀа ларамаза долчунна ян?</verse>
				<verse number="22">Дела иштта бакъо йолуш вара. Шен оьгӀазло ян а, Шен ницкъ гайта а лиира Далла, амма Шен оьгӀазлонах хӀаллакьхила кийча долчу адамашна Шен доккха собар хилар гайтира Цо.</verse>
				<verse number="23">И собар дора Цо, Шен сийлаллин хьал адамашна гайтархьама. И адамаш Дала къинхетам бечу тӀаьхьенах хила дезаш дара. Уьш Дала Шен сийлалла тӀеэца кечдинера.</verse>
				<verse number="24">Ткъа и адамаш Дала хаьржина долу вай ду — жуьгташна юкъара хаьржинарш хилла а ца Ӏаш, амма кхечу къаьмнашна юкъара хаьржинарш а.</verse>
				<verse number="25">ХӀушаӀ-пайхамаран тептар тӀехь Дала иштта боху: «Сайн доцучу халкъах — „Сан халкъ“ эр ду Аса, Сайна езаш йоцучух а — „Сайна езаш ерг“ эр ду Аса.</verse>
				<verse number="26">„Шу сан халкъ дац“ — баьхначу меттехь, „Шу дийна волчу Делан кӀентий ду“, — бохур ду цаьрга».</verse>
				<verse number="27">Ткъа ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро исраилхойх лаьцна иштта боху: «ХӀордан гӀум санна, дукха исраилхой хиллехь а, царах жима дакъа бен кӀелхьардер дац.</verse>
				<verse number="28">ХӀунда аьлча лаьтта тӀехь дехаш долчу адамашна ян йогӀу кхел Дала хадам боллуш а, леррина а кхочушйийр ю».</verse>
				<verse number="29">ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро хир ду ма-аллара: «Нагахь массо а ницкъийн Везачу Эло вайн тӀаьхьенах цхьаберш дийна битина бацахьара, вай Седам-гӀалин бахархой санна а хир дара, Ӏамор-гӀалин бахархойх дӀа а тарлур дара».</verse>
				<verse number="30">ХӀун эр вай хӀинца? Вайна хӀара хиъна: кхечу къаьмнех берш, цара Далла хьалха шаьш бакъдар ца лехнехь а, церан тешарехула бакъбина хилар.</verse>
				<verse number="31">Ткъа Исраилан халкъо товрат-хьехамаш кхочушбар бахьанехь Далла хьалха ша бакъдар лоьххушехь, и хьехамаш цуьнга кхочуш ца бало.</verse>
				<verse number="32">Ткъа хӀунда ца дало цаьрга иза? Далла хьалха шаьш бакъдар тешарехула а ца лоьхуш, ткъа шаьш деш долчу гӀуллакхашкахула лоьхура цара. «Адамаш тасалур болчу тӀулгах» тасабелира уьш,</verse>
				<verse number="33">Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Ас Цийон-лам тӀехь охьабуьллу адамаш тасалур болу тӀулг а, нах галбовлуьйтур йолу тарх а. Ткъа муьлхха а Цунах тешаш верг юьхьӀаьржачу хӀуттур вац».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="10">
				<verse number="1">Динан вежарий! Доггах лаьа суна исраилхой а кӀелхьарбаьхна хила. Цунах лаьцна доьху аса Деле.</verse>
				<verse number="2">Царах тоьшалла до аса: хьекъалца нийса некъ шайна ца бовзахь а, Далла леррина гӀуллакх деш бу уьш.</verse>
				<verse number="3">Дала стаг Шена хьалха муха бакъво шаьш ца кхета дела, иза шайгара хилийта гӀиртина дела, Дала нах бакъбеш болчу некъана муьтӀахь ца хилира уьш.</verse>
				<verse number="4">Товрат-хьехамаш буьззина кхочуш а бина, Дала леррина Къобалвинарг цу хьехамийн чаккхе хилира, Цунах тешарехула Далла хьалха бакъвар хӀоранна а хилийтархьама.</verse>
				<verse number="5">Товрат-хьехамаш кхочушбарца Далла хьалха адам бакъдарх лаьцна Муса-пайхамаро иштта боху: «Товрат-хьехамаш кхочушбийриг цаьрца вехар ву».</verse>
				<verse number="6">Ткъа тешарца Далла хьалха адамаш бакъдарх лаьцна цо иштта боху: «Шайн дегнашкахь ма хетта: „Мила вер ву стигалшка хьала?“ — бохуш», (иза ду Дала леррина Къобалвинарг кхуза охьавалорхьама).</verse>
				<verse number="7">«Иштта ма хетта шайн дегнашкахь: „Мила вуссур ву эхарте?“ — бохуш», (иза ду, Дала леррина Къобалвинарг беллачарна юкъара кхуза хьалаваккхархьама).</verse>
				<verse number="8">ХӀан-хӀа! ХӀун аьлла ду Делан Йозанашкахь? «Делан дош хьуна юххехь а ду, хьан матта тӀехь а ду, хьан дог чохь а ду». И дош вай адамашна хьоьхуш долчу тешарх лаьцна ду.</verse>
				<verse number="9">«Ӏийса Веза Эла ву!» — бохург хьайн баганца ахь къобалдахь, Дала Иза веллачуьра денвина хиларх хьо даггара тешахь, хьо кӀелхьарваьккхина хир ву.</verse>
				<verse number="10">ХӀунда аьлча даггарчу тешаро стаг Далла хьалха бакъвина хиларна тӀевалаво, ткъа баганца къобалдаро стаг кӀелхьарваьккхина хиларна тӀевалаво.</verse>
				<verse number="11">Делан Йозано боху: «Муьлхха а Цунах тешаш верг юьхьӀаьржачу хӀуттур вац».</verse>
				<verse number="12">Иштта, цхьа а тайпа башхо яц жуьгтичунна а, кхечу къомах волчунна а юкъахь, хӀунда аьлча Веза Эла массарна а цхьаъ ву, ткъа Шега кхойкхуш мел верг хӀорра а алссам декъалво Цо.</verse>
				<verse number="13">Делан Йозанашкахь яздина ма ду: «ХӀорра а, Везачу Элан цӀе а йоккхуш, Цуьнга кхойкхуш верг, кӀелхьарвоккхур ву».</verse>
				<verse number="14">Ткъа Цуьнга муха кхойкхур бу уьш, Цунах шаьш тешаш ца хилча? Муха тешар бу уьш, Цунах лаьцна шайна хезна а ца хилча? Муха хезар ду царна, Цунах лаьцна цхьаммо а дӀакхайкхош ца хилча?</verse>
				<verse number="15">Ткъа наха муха дӀакхайкхор ду, дӀакхайкхо шаьш бохуьйтуш ца хилча? Яздина ма-хиллара: «Хаза кхаъ бахьаш болчу геланчийн когаш мел хаза бу!»</verse>
				<verse number="16">Амма исраилхоша массара а ца ийцира и хаза кхаъ тӀе. ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро аьллера: «Веза Эла! Мила тийшира оха хьехначух?»</verse>
				<verse number="17">Делахь, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна долу дош цхьаммо кхайкхийча, адамашна хаза кхаъ хеза, ткъа и кхаъ хезча, адамаш Цунах теша.</verse>
				<verse number="18">Ткъа аса хоьтту: царна ца хезнера хаза кхаъ? Дера хезнера. Делан Йозано боху: «Дерриг а лаьтта тӀехула чекхъяьлла церан лар. Дуьне мел ду дӀакхаьчна церан тоьшалла».</verse>
				<verse number="19">Аса юха а хоьтту: Исраилан халкъ кхетта дацара ткъа? Муса-пайхамаро дуьххьара иштта боху: «Халкъ доцучу халкъе Ас хьагӀ хуьлуьйтур ю шун, ткъа кхетам боцучу халкъан гӀоьнца Аса оьгӀазло хуьлуьйтур ю шуьгахь».</verse>
				<verse number="20">Ткъа ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро майрра боху: «Ца лехначарна Со карийна, Сох лаьцна ца хоьттучарна Со вовзийтина Аса».</verse>
				<verse number="21">Ткъа Исраилан халкъах лаьцна Дала ЕшаӀ-ЯхӀугахула иштта боху: «Дийнахь сарралц Ӏийра Со Сайн куьйгаш дӀакховдийна муьтӀахь доцучу а, карзахдуьйлучу а халкъе».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="11">
				<verse number="1">Аса юха а хоьтту: «Дала Шен халкъ дӀатесна те?» Дера ца тесна! Со а ма ву ИбрахӀиман хӀух схьаваьлла а, Бен-Яманан тайпанах волу а исраилхо.</verse>
				<verse number="2">Дала дӀа ца тесна хьалххе дуьйна Ша хаьржина долу Шен халкъ. Шуна ца хаьа, хӀун боху Эли-ЯхӀу-пайхамарах лаьцна Делан Йозанашкахь? Исраилан халкъах лаьцна Деле латкъам беш, иштта боху цо:</verse>
				<verse number="3">«Веза Эла! Хьан пайхамарш хӀаллакбина, Хьан сагӀа доккху кхерчаш бохийна. Со цхьаъ бен висина вац, ткъа со а вен дагахь лоьху цара».</verse>
				<verse number="4">Ткъа хӀун жоп делира Дала цунна? «Аса цӀу волчу БаӀална горахӀоьттина воцу ворхӀ эзар стаг витина Сайна», — элира Цо.</verse>
				<verse number="5">ХӀинцалерчу хенахь а изза хуьлу: исраилхойх цхьаболу нах Ӏийсах тешаш бу, ткъа Дала уьш Шен диканца хаьржина.</verse>
				<verse number="6">Делан диканца иза хилча, адамаша динчу дикачу гӀуллакхашца доьзна дац иза. Иштта ца хилча, Делера долчу диканах дика хир дацара.</verse>
				<verse number="7">Иштта жамӀ дан мега: Исраилан халкъана ша лехнарг ца карийра. Дала хаьржинарш бен ца кхечира Делан дикане. Ткъа биснарш Дала дагца дарбинера.</verse>
				<verse number="8">Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Дала церан дегнаш артдина, таханлерчу дийне схьакхаччалц хӀумма а ца го бӀаьргаш а, хӀумма а ца хеза лергаш а церан хилийтархьама».</verse>
				<verse number="9">Дауд-паччахьо боху: «Цара шаьш-шайна хӀиттийначу тойнашкахь гуро а, речӀано а лоцийла уьш. Гал а бевлла, охьаэгийла уьш, бекхам а бойла царна.</verse>
				<verse number="10">Бода богӀийла церан бӀаьргашна хӀумма а ца гархьама, баккъаш а хуьлийла церан ситтина гуттаренна а».</verse>
				<verse number="11">Аса юха а хоьтту: «Жуьгтий гуттаренна а галбевлла те?» Дера ца бевлла! Мелхо а, церан галбовлар бахьана долуш кхечу къаьмнех болчу нахана кӀелхьардовлар карийна, исраилхойн цаьрга хьагӀ хилийтархьама.</verse>
				<verse number="12">Ткъа церан галбовлар дуьнен чуьра адамашна а диканна хилча, церан синан эшар кхечу къаьмнех болчу нахана диканна хилча, мел сов дика хир ду, уьш кхоччуш барамехь хилча!</verse>
				<verse number="13">Шуьга боху аса, кхечу къаьмнех болу нах: шун векал со хиларна, сайн балхах дозалла до аса.</verse>
				<verse number="14">Цаьрга хьагӀ хилийта соьга меттахбахалур бац те сан къомах берш, иштта кӀелхьарбахалур бац те соьга царах цхьаберш?</verse>
				<verse number="15">Сан къомах берш дӀатасарна, дуьнен чуьра нахаца Дела тайча, тӀаккха сан къомах берш тӀеэцар кхин хӀун хир ду, беллачуьра денбалар дацахь?!</verse>
				<verse number="16">Бедан хьалхарчу декъах деттинарг Делан долахь хилча, берриг а бод Цуьнан долахь бу. Диттан орамаш даздина хилча, диттан гаьннаш а хир ду иштта даздина.</verse>
				<verse number="17">Зайт-диттана тӀе, шен долу гаьннаш дӀа а хедийна, акхачу диттан гаьннаш тӀедогӀаре терра, иштта, кхечу къаьмнех болу нах, шу а тӀедоьгӀна долу га санна ду, зайт-диттан орамех схьаболучу ницкъах а, дахарх а дӀакхетта.</verse>
				<verse number="18">Амма дӀахедийначу гаьннашна хьалха куралла ма елахь. Дагадаийталахь хьайна, орам латтош верг хьо ца хилар, ткъа хьо оцу орамо латтош хилар.</verse>
				<verse number="19">Ахьа ала там бу: «И гаьннаш со тӀедогӀийтархьама хадийна ма ду».</verse>
				<verse number="20">Нийса ду. Делахь а, Дала леррина Къобалвинчух тешар церан ца хиларна, уьш дӀахедийна, ткъа хьо Цунах тешар хьайн хиларна бен лаьтташ вац. Цундела куралла ма е, ткъа кхоьруш хила.</verse>
				<verse number="21">ХӀунда аьлча диттан шен долу гаьннаш а Дала кхоош ца хилча, ойла ехьа: хьо кхоор вуй те Цо?</verse>
				<verse number="22">Хьо гуш ву-кх: Дела диканца лела, ткъа Иза къизаллица лела. Шех дӀабирзинчарна Цо къизалла йо, ткъа хьуна дика до, нагахь санна Цуьнан диканехь хьо кхидӀа а висахь. Иштта ца хилахь, хьо а хир ву дӀахадийна.</verse>
				<verse number="23">Ткъа вуьш а, зайт-диттана гаьннаш тӀедогӀаре терра, церан хьалхалерчу меттиге юхахӀиттор бу, нагахь санна Дала леррина Къобалвинчух ца тешаш уьш ца бисахь, хӀунда аьлча Дела ницкъ болуш ву, уьш юха а шайн меттиге дӀахӀитто.</verse>
				<verse number="24">Акхачу зайт-диттах дӀахедийна долу гаьннаш, Ӏаламна дуьхьал иза делахь а, дикачу зайт-диттана тӀе доьгӀна хилча, тӀаккха дикачу зайт-диттах дӀахедийнарш кхин а дика дугӀур ма ду шайн долчу дитта тӀе.</verse>
				<verse number="25">Динан вежарий! Суна ца лаьа, хӀара Делан къайле ца евзаш шу дита, шайх дозалла а деш, шу ца Ӏайтархьама. Цхьаболчу исраилхойн дегнаш хӀуъа а бен ца хеташ хилар цхьана ханна а бен дац. Иштта хир ду, кхечу къаьмнех долу адамаш буьззина болчу барамехь Далла тӀедерззалц.</verse>
				<verse number="26">Цул тӀаьхьа дерриг а Исраилан халкъ кӀелхьардоккхур ду, яздина ма-хиллара: «КӀелхьардохург Цийонера вогӀур ву. Якъубан тӀаьхьенан ерриг а Ӏесалла дӀайоккхур ю Цо.</verse>
				<verse number="27">Аса иштта барт бийр бу цаьрца, церан къиношна Айса гечдича».</verse>
				<verse number="28">Хаза кхаъ тӀе ца эцна дела, исраилхой Делан мостагӀий бу, ткъа иза кхечу къаьмнех долчу шуна пайденна ду. ХӀетте а, Дала уьш хаьржина дела, Далла безаш берш бу уьш, церан дайшка дина долу ваӀда бахьана долуш.</verse>
				<verse number="29">Дала Шена тӀебало хаьржинчарах лаьцна а, Ша динчу совгӀатех лаьцна а бина болу Шен сацам цкъа а ца хуьйцу.</verse>
				<verse number="30">Уьш Далла муьтӀахь ца хиларна, мацах Далла муьтӀахь хилла доцучу шух Цо къинхетам бина.</verse>
				<verse number="31">Иштта хӀинца уьш Далла муьтӀахь боцуш хилла, Ша шух къинхетам бинчу тайпана, царах Цо хӀинца къинхетам бархьама.</verse>
				<verse number="32">ХӀунда аьлча массо а адам Дала Шена муьтӀахь ца хиллачу йийсаре далийна, царах массарах а къинхетам бар тардалийтархьама.</verse>
				<verse number="33">ЭхӀ, ма барам боцуш хьал долуш ду-кх Делан хьекъалалла а, кхетам а! Вайн хьекъал ца кхочу Цуьнан сацамех кхета, вай тӀаьхьа ца кхиало Цуьнан некъашна!</verse>
				<verse number="34">Делан Йозанашкахь ма аьлла: «Делан хьекъал хьанна девзар ду, я мила хир ву Цуьнга хьехамаш бан йиш йолуш?</verse>
				<verse number="35">Хьан елла Цунна цхьа хӀума, цунна Иза декхарийлахь а волуш?»</verse>
				<verse number="36">ХӀунда аьлча массо а хӀума Дала кхоьллина а ду, Цо латтош а ду, Цуьнан дуьхьа лаьтташ а ду. Сийлалла ду Цуьнан абаденналц! Амин!</verse>
			</chapter>
			<chapter number="12">
				<verse number="1">Аса цундела доьху шуьга, динан вежарий, дийна а, деза а, Далла тамехь долу а сагӀанаш санна, шайн догӀмаш Далла дӀало. Далла деш долу и тайпа гӀуллакхаш товш ду шуьгахь.</verse>
				<verse number="2">ХӀокху дуьненан ойланашца ма лелалаш, амма шайн хьекъал, метта а даладайтина, Деле карладаккхийта. ТӀаккха бевзар бу шуна шайх лаьцна болу Делан лаам. Шуна хуур ду Далла хьалха диканиг а, Далла тамехь дерг а хӀун ду а, Делан кхачаме лаам муха бу а.</verse>
				<verse number="3">Аса шух хӀорранга а боху, сайна Дала деллачу дикане хьаьжжина: шайх лаьцна хила езачул лекха ойланаш ма хилийталаш, амма, шайна хӀоранна а Дала деллачу тешаре хьаьжжина, оьзда ойла елаш.</verse>
				<verse number="4">Вайн дегӀ цхьаъ делахь а, цуьнан дуккха а меженаш ю. И меженаш цхьатерра гӀуллакхаш кхочушдеш яц.</verse>
				<verse number="5">Иштта вай а, ваьш дукха делахь а, Дала леррина Къобалвинчуьнца а долуш, цхьа дегӀ ду, ткъа вайх хӀора а цу дегӀан вовшахтоьхна меже ю.</verse>
				<verse number="6">Вайна хӀоранна а, Дала шена деллачу дикане хьаьжжина, похӀма делла. Делера болу хаамаш баран похӀма хьайна деллехь, иза дӀакхехьа, хьайн долчу тешаре хьаьжжина.</verse>
				<verse number="7">Дала хьуна кхечарна гӀуллакх даран похӀма деллехь, и гӀуллакх дӀакхехьа. Цо хьуна динан хьехамча хилар деллехь, хьеха.</verse>
				<verse number="8">Уллорачун догъэца похӀма хьан делахь — догъэца. Хьайн йолчу хӀуманийн кхечаьрца дакъа дан похӀма хьан делахь, уьш комаьрша дӀасаекъа. Куьйгалла дан похӀма хьан делахь, доггах куьйгалла де. Къинхетам баран похӀма хьан делахь, иза а хазахетарца де.</verse>
				<verse number="9">Шун безам даггара хуьлийла. Вониг ма дезалаш, ткъа диканиг ларделаш.</verse>
				<verse number="10">Вежаршка санна хуьлучу безамца вовшийн дезалаш, вовшийн алсам ларалаш.</verse>
				<verse number="11">Мало а ца еш, дукха болх белаш. Даим доьналла а долуш, Далла гӀуллакх делаш.</verse>
				<verse number="12">Хазахетарца сатийсалаш. Халонаш собарца ловш хилалаш. Даим а доӀанаш делаш.</verse>
				<verse number="13">Делан нехан эшамехь дакъалоцуш хилалаш, хьеший доггах тӀеэцалаш.</verse>
				<verse number="14">Шайга баланаш хьоьгуьйтурш декъалбелаш. Декъалбелаш, сардамаш ма дехалаш.</verse>
				<verse number="15">Самукъане болчаьрца самукъане хилалаш, боьлхуш болчаьрца делхалаш.</verse>
				<verse number="16">Вовшашца бертахь Ӏелаш. Шайх лаьцна лакхара ойланаш а ца еш, мискачаьрца а тӀекаре хилалаш. Шайн кхетамах лаьцна кура ойланаш ма елаш.</verse>
				<verse number="17">Цхьанна а зуламна дуьхьал зулам ма делаш, мелхо а, массо а адамна хьалха оьзда дерг лело гӀерталаш.</verse>
				<verse number="18">Шайн ма-хуьллу, массо а адамца бертахь даха гӀерталаш.</verse>
				<verse number="19">Сан хьоменаш! Цкъа а бекхамаш бан ма гӀерталаш, ткъа иза Делан кара дӀалолаш. Яздина ма ду: «„Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дӀалур ду“, — боху Везачу Эло».</verse>
				<verse number="20">Мелхо а Делан Йозанашкахь иштта яздина ду: «Хьан мостагӀа меца велахь, иза вузаве. Хьогах иза велахь — хи ло цунна. Иштта дерг дарца цуьнан коьрта тӀе догуш долу кӀегий гулдо ахьа».</verse>
				<verse number="21">Воне хьо эша ма вайта, ткъа диканиг дарца вонна тӀехь толам баккха.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="13">
				<verse number="1">ХӀора адам пачхьалкхана урхалла дечарна муьтӀахь хила деза. Урхалла дан бакъо, Дала елча бен, ма ца хуьлу, ткъа болуш болу урхалчаш Дала дӀахӀиттийна бу.</verse>
				<verse number="2">Цундела Ӏедална дуьхьалваьлларг Дала динчунна дуьхьалваьлларг хуьлу. Ткъа иштта дерг долуьйтучара шайна тӀе кхел йоуьйту.</verse>
				<verse number="3">ХӀунда аьлча дика гӀуллакхаш дечарна урхалчаш кхераме бац, зуламе гӀуллакхаш дечарна бу. Ӏедалах ца кхоьруш Ӏен лаьий хьуна? Дика де, тӀаккха Ӏедало хьо хастор ву.</verse>
				<verse number="4">Урхалчаш Далла гӀуллакх деш ма бу. Уьш хьуна дика дан къахьоьгуш бу. Нагахь санна хьо зулам доккхуш велахь, кхералахь. ХӀунда аьлча цара эрна лелош дац тур: уьш Делан гӀоьнчий бу, зулам дечарна догӀу таӀзар цаьргахула деш ву Дела.</verse>
				<verse number="5">Иштта, таӀзарх кхерарна хилла а ца Ӏаш, вайн дог цӀена хилийтархьама, вай урхалчашна муьтӀахь хила деза.</verse>
				<verse number="6">Цундела урхалчашна йогӀу ял дӀало, уьш и гӀуллакх даим кхочушдан дӀахӀиттийна Делан белхалой болу дела.</verse>
				<verse number="7">ХӀоранна а хьакъ дерриг дӀало: ял яла езачунна — ял, ясакх яла езачунна — ясакх, кхера везачух — кхера, лара везарг — лара.</verse>
				<verse number="8">Цхьанна а цхьа а хӀума декхарийлахь ма хилалаш, вовшашна дӀабала беза безам боцург, хӀунда аьлча кхиверг везаш волчо товрат-хьехамаш кхочушбина.</verse>
				<verse number="9">Товрат-хьехамашкахь дукха весеташ ду. Царна юкъахь ишттанаш а ду: «Нахаца ма лела, адам ма де, къола ма де, кхечу стеган цхьа а хӀума шайна ма деза». Амма и дерриге а весеташ хӀокху цхьана дашна тӀедогӀу: «Хьайн уллораниг хьо санна веза».</verse>
				<verse number="10">Безамо уллохь волчунна зулам ца дойту. Цундела безам хилар — товрат-хьехамаш кхочушбар ду.</verse>
				<verse number="11">И дерриге а кхочуш а деш, даха, самадовла хан тӀекхаьчнийла а хууш, хӀунда аьлча вай дуьххьара тешаре даьхкинчу хенахь чул, хӀинца герга ду Дала вай кӀелхьардахарна.</verse>
				<verse number="12">Буьйса дӀаяьлла, де тӀекхаьчна. Цундела боданан гӀуллакхех дӀа а дерзий, серлонан долчу герзаца кийча хила вай.</verse>
				<verse number="13">Оьзда даха вай, дийнан серлонгахь даха ма-деззара: лар тӀера а ца довлуш, малар тӀех а ца доккхуш, боьха лаамаш а, къилахь долу хӀума дар а дитина, девнаш а ца дохуш, хьагӀ а йоцуш.</verse>
				<verse number="14">Иштта долу гӀуллакхаш лелочул, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тарлуш даха вай, вайн синан лаамаш муха кхочушбийр бара те бохуш, ойланаш а ца еш.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="14">
				<verse number="1">Тешар тӀехь чӀагӀвелла воцу стаг, цунна хетарг дийцаре а ца доккхуш, ша ма-варра тӀеэца.</verse>
				<verse number="2">ХӀунда аьлча цхьаволчун тешаро, къеста а ца еш, муьлхха а хӀума яа магадо цунна. Тешар тӀехь чӀагӀвелла воцучу вукхо хасстоьмаш бен ца боу.</verse>
				<verse number="3">Муьлхха а йолу яа хӀума юуш верг ма хуьлийла ца вешаш иза юуш воцучух. Юуш воцучо а бехке ма войла муьлхха а кхача бууш верг, хӀунда аьлча иза а Дала тӀеэцна ву.</verse>
				<verse number="4">Мила ву хьо, хьайн воцу лай бехке ван воллург? Ирахь лаьтташ велахь а, я охьавоьжнехь а, иза шен элана хьалха ву. Иза лоттуьйтур ву: Веза Эла ницкъ болуш ву иза латтийта.</verse>
				<verse number="5">Цхьаммо цхьа де вукхул дезо лору, ткъа вукхунна массо а денош хета цхьатерра. ХӀора а шен хьекъалца теша ша бакъхиларх.</verse>
				<verse number="6">Денош къесточо Везачу Элана къестадо уьш. Муьлхха а кхача бууш волчо Везачу Элан дуьхьа боу, хӀунда аьлча цо баркалла олу Далла. Бууш воцучо а Везачу Элан дуьхьа ца боу, цо а Далла баркалла олу.</verse>
				<verse number="7">Вайх цхьа а шен дуьхьа бен ваьхна ца Ӏа, цхьа а шен дуьхьа бен велла ца Ӏа.</verse>
				<verse number="8">Вай дахахь а, Везачу Элан дуьхьа деха, вай лахь а, Везачу Элан дуьхьа ле. Иштта, дехаш я леш делахь а, Везачу Элан долахь ду вай.</verse>
				<verse number="9">ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинарг дийна болчарна а, беллачарна а тӀехь олалла дархьама вала а велла, ден а велла.</verse>
				<verse number="10">Ткъа стенна бехке во ахьа хьайн динан ваша? Я стенна ца веша хьо хьайн веших? Вай массо а Далла хьалха дӀахӀитта ма деза, Цуьнга ваьшна кхел яйтархьама.</verse>
				<verse number="11">Яздина ма ду: «Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Аса, боху Везачу Эло, хӀора а адам, гора а хӀоьттина, Суна хьалха суждане гӀур ду, ткъа Со Дела хиларх лаьцна хӀора маттахь тоьшалла дийр ду».</verse>
				<verse number="12">Иштта, Далла хьалха вайх хӀораммо а ша-шех жоп лур ду.</verse>
				<verse number="13">ХӀинца чул тӀаьхьа вовшийн бехке ма де вай. Цул сов, вай ларло вешан динан вежаршна къинош лето а, уьш галбовлийта а меттиг ялийтарх а.</verse>
				<verse number="14">Веза Эла волчу Ӏийсагахула суна хаа а хаьа, со тешна а ву цхьа а кхача ша-шеца хьарамниг долуш ца хиларх. Адамна, шена хьарам хеташ ерг бен, цунна хьарам яц.</verse>
				<verse number="15">Хьайн вешина хьарам хетарг а юуш, цунна халахетар деш хьо велахь, иза даггара везаш лелаш вац хьо. ХӀаллак ма вехьа айхьа юучуьнца Дала леррина Къобалвинчо цуьнан дуьхьа Шен дахар дӀаделларг.</verse>
				<verse number="16">Шайна дика хетачух бахьана ма хилийта кхечарна шух лаьцна вониг дийца.</verse>
				<verse number="17">ХӀунда аьлча Делан Олалла даарца а, маларца а доьзна дац. Делан Сино луш долчу Делан лаамехь хиларца а, синпаргӀатонца а, хазахетарца а доьзна ду иза.</verse>
				<verse number="18">Иштта а вехаш, Дала леррина Къобалвинчунна гӀуллакх деш верг Далла тамехь а ву, наха лоруш а ву.</verse>
				<verse number="19">Цундела барт хилар а, вовшийн тешар тӀехь иракарахӀиттор а леха вай.</verse>
				<verse number="20">Юуш ерг бахьана долуш, Дала динарг ма дохаде вай. Массо а хӀума яа хьанал ю, амма хьайн ваша галволуьйту хӀума яар вон ду.</verse>
				<verse number="21">Жижиг цадаар а, чагӀар цамалар а, динан ваша галволуьйтуш долу цхьа а хӀума цадар гӀолехь ду.</verse>
				<verse number="22">Цу хӀуманех лаьцна долу хьан тешар хьайн даг чохь а, Далла хьалха а хилийта. Декъала ву шена дика хетачунна тӀехь ша бехке цавийриг.</verse>
				<verse number="23">Ткъа шеконаш йолуш верг Дала бехке вийр ву, нагахь санна шена хьарам хетташехь, цхьа хӀума цо яахь, хӀунда аьлча ша дийриг цо тешарехула ца до, ткъа тешарехула деш доцу массо а хӀума къилахь ду.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="15">
				<verse number="1">Тешар тӀехь чӀагӀделлачу вай чӀагӀбелла боцучарна гӀо дан деза, ваьшна тамехь дерг дина а ца Ӏаш.</verse>
				<verse number="2">Вайх хӀораммо а уллорачунна тамехь дерг дан деза, иза цунна диканна а, иракарахӀотторна а хуьлуьйтуш.</verse>
				<verse number="3">ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинчо а ца дора Шена тамехь дерг. Амма яздина ма-хиллара: «Хьо сийсазвочеран сийсаза дешнаш Суна тӀедоьжна».</verse>
				<verse number="4">Ткъа хьалха яздина мел долу хӀума вайна хьехамна яздина ду, Делан Йозанаша вайна лучу доьналлица а, иракарахӀитторца а вешан сатийсар хилийтархьама.</verse>
				<verse number="5">Доьналлин а, иракарахӀитторан а хьоста волчу Дала шуна лойла, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дахаран масале хьажарна, вовшашна юкъахь цхьа ойланаш хилар.</verse>
				<verse number="6">Иштта хилча, цхьана синца а, цхьана дешнашца а хаставан тарло аша Дела, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан Да.</verse>
				<verse number="7">Цундела, Дала леррина Къобалвинчо шаьш тӀеэцаре терра, аша а тӀеэца вовшийн, Дела хаставархьама.</verse>
				<verse number="8">Дагадаийталаш, Дала леррина Къобалвинарг жуьгташна ялхо хилира, Дела тешаме хилар гайтархьама. Иштта, Иза веара, церан дайшна дина долу ваӀда кхочушдархьама а,</verse>
				<verse number="9">кхечу къаьмнех болчу нахе а Дала шайна динчу диканна хастамаш байтархьама а. Яздина ма-хиллара: «Аса Хьо кхечу къаьмнашна юкъахь хестор ву, иллешкахь ас Хьан цӀе язйийр ю».</verse>
				<verse number="10">Кхин а аьлла ду: «Даккхийде, кхечу къаьмнех долу адамаш, Делан халкъаца цхьаьна».</verse>
				<verse number="11">Кхин а боху: «Хаставе Веза Эла кхечу къаьмнех мел болчара, хастам бе Цунна массо а халкъаша!»</verse>
				<verse number="12">ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро а иштта боху: «Юшайн тӀаьхьенах цхьаъ гучувер ву. Иза къаьмнашна тӀехь олалла дан гӀоттур ву, ткъа уьш цунах дегайовхо йолуш хир бу».</verse>
				<verse number="13">Дегайовхо луш волчу Дала шун тешарехула хазахетарх а, синпаргӀатонах а дузийла шу, Делан Синан ницкъаца шун сатийсар даим алсамдалийтархьама.</verse>
				<verse number="14">Сан динан вежарий, со тешна ву дикачу ойланех шу дуьзна хиларх а, шун кхетам кхоччуш хиларх а, вовшашна хьехамаш балур болуш шу хиларх а.</verse>
				<verse number="15">Амма цхьадолчу гӀуллакхех лаьцна аса майрра яздора шуьга, динан вежарий, уьш шуна диц ца далийтархьама. Аса иза дора, Дала Шен диканца со къобалвина дела,</verse>
				<verse number="16">кхечу къаьмнех болчу нахана юкъахь Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан гӀуллакх дан. Динан дас санна, Ас Делера болу хаза кхаъ кхайкхабо, кхечу къаьмнех болу нах, Делан Синехула Далла хьалха дӀа а къастийна, Далла тамехь долу сагӀа санна хилийтархьама.</verse>
				<verse number="17">Иштта Дала леррина Къобалвинчуьнца со волуш, Делан дуьхьа динчу сайн гӀуллакхех сан дозалла дойла ду.</verse>
				<verse number="18">Кхечу къаьмнех болу нах Далла тӀеберзорхьама, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас соьгахула дина доцу цхьа а хӀума дийца со ваьхьар вац. Цо иза соьгахула дина сан дешнашца а, сан гӀуллакхашца а</verse>
				<verse number="19">тамашийначу билгалонийн а, инзаречу хӀуманийн а ницкъаца а, Делан Синан ницкъаца а. Иштта, Ярушалайм-гӀалара Иллирик-махкана тӀекхаччалц, аса, массо а меттигашкахула чекх а волуш, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна болу хаза кхаъ кхоччуш дӀасабаржийна.</verse>
				<verse number="20">Айса хаза кхаъ дӀакхайкхош, суна лаьара Дала леррина Къобалвинчун цӀе евзаш йоцучу меттигашкахь а дӀакхайкхо, иза кхечо дӀахӀотийначу бух тӀехь ца дархьама.</verse>
				<verse number="21">Амма яздина ма ду: «Цунах лаьцна хаам цахилларш а Цунах кхетар бу, цахезначарна а вевзар ву».</verse>
				<verse number="22">Цу бахьаненна мосуьйттазза новкъарло йира суна шу долчу дӀаван.</verse>
				<verse number="23">Ткъа хӀинца хаза кхаъ кхачаза меттиг кху мехкашкахь йоцу дела а, дукха хенахь дуьйна шу долчу дӀаван сан дагахь долу дела а,</verse>
				<verse number="24">со шу долчу ван ойла йолуш ву, Испани-махка новкъа а волуш. Сан дегайовхо ю, цига а воьдуш, шу долчу хьошалгӀа кхача. Хазахетарца ас шуьца жимма хан яьккхинчул тӀаьхьа, суна новкъа вала гӀо дан тарло аша.</verse>
				<verse number="25">Ткъа хӀинца со Ярушалайме воьду Делан нахана гӀуллакх дан.</verse>
				<verse number="26">Македонера а, Ахаера а динан тобанаша сацам бина, Ярушалайм-гӀалахь болчу Делан нахана юкъарчу къечарна сагӀина ахча дахьийта.</verse>
				<verse number="27">И сацам цара шаьш бинехь а, Ярушалаймерчу Ӏийсах тешачарна хьалха иза дан декхарийлахь а бу уьш. Кхечу къаьмнех болу нах жуьгташкахула, тешаре хьаьжжина, декъалбина хилча, шайн долахь долчу рицкъе хьаьжжина, жуьгтий декъалбан а декхарийлахь бу уьш.</verse>
				<verse number="28">И гӀуллакх чекх а даьккхина, сагӀина гулдинарг царна билггал дӀакхаьчна даьлча, со Испани ваха новкъа вер ву. Цига воьддушехь, со шун гӀала чувоьрзур ву.</verse>
				<verse number="29">Со тешна ву, шу долчу веача, Дала леррина Къобалвинчуьнгара шортта долчу декъалдаршца со вахарх.</verse>
				<verse number="30">Динан вежарий, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дуьхьа а, Делан Сино вайна вовшашка луш болчу безаман дуьхьа а аса доьху шуьга соьца цхьаьна суна тӀера Деле чӀогӀа доӀанаш дар.</verse>
				<verse number="31">Аса Деле доьху, ЯхӀуд-махкахь Ӏийсах ца тешачарах со ларвар а, Ярушалаймехь болчу Делан нахана ас до гӀуллакх тамехь хилийтар а.</verse>
				<verse number="32">Нагахь санна Делан лаам белахь, воккхаверца дӀа а веана, паргӀат шуьца хан йоккхур ю аса.</verse>
				<verse number="33">Вайна синпаргӀато луш волу Дела хуьлийла шуьца массаьрца а. Амин.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="16">
				<verse number="1">Аса шуьга дӀахоуьйту, вайн динан йиша йолу Пойбат дика зуда хилар. Иза Кенахари олучу гӀаларчу динан тобанан гуламехь динан куьйгалхочун гӀоьнча ю.</verse>
				<verse number="2">Везачу Элан долахь йолу иза, Делан наха ма-эццара, оьзда тӀеэцахьара аша. Шаьш долчохь цунна оьшучунна тӀехь гӀо а дейша, хӀунда аьлча дуккха а болчу нахана а, суна-сайна а гӀо дина цо.</verse>
				<verse number="3">Маршалла ло соьца цхьаьна Дала леррина къобалвинчу Ӏийсана гӀуллакх деш хилла болчу ПхьаьрскӀилате а, Ӏакхиле а.</verse>
				<verse number="4">Шайна кхераме доллушехь, цара со кӀелхьарваьккхира. Со цхьаъ хилла ца Ӏа царна баркаллаш бохуш верг, кхечу къаьмнех болчу нехан динан массо а тобанаша а боху и.</verse>
				<verse number="5">Маршалла ло церан цӀахь гуллуш йолчу динан тобане а. Маршалла ло сан хьомечу Эпанте а. Иза Асиа-махкахь Дала леррина Къобалвинчунна тӀебирзинчарах хьалхарниг ву.</verse>
				<verse number="6">Маршалла ло шун дуьхьа чӀогӀа къахьегна йолчу Мареме а.</verse>
				<verse number="7">Маршалла ло Ӏандарнике а, Юнига а. Уьш сан къомах бу. Соьца цхьаьна тутмакхаш а хилла уьш, векалшна юкъахь лоруш а бу, Дала леррина Къобалвинчух сол а хьалха тешна а бу.</verse>
				<verse number="8">Маршалла ло Везачу Элан долахь волчу сан хьомечу Ӏампале.</verse>
				<verse number="9">Маршалла ло вайца цхьаьна Дала леррина Къобалвинчунна гӀуллакх дечу Урбане а, иштта сан хьомечу Стахига а.</verse>
				<verse number="10">Маршалла ло Дала леррина Къобалвинчух тешарна тӀехь зийна волчу Апа-Лесе. Маршалла ло Арти-Сабулан цӀийнах болчаьрга.</verse>
				<verse number="11">Маршалла ло сан къомах волчу ХӀарудига. Маршалла ло Нару-Касин цӀийнах болчу Везачу Элан долахь болчаьрга.</verse>
				<verse number="12">Маршалла ло Везачу Элан дуьхьа къахьоьгуш йолчу Тарипате а, Тарипуте а. Маршалла ло сан хьомечу Парсатига а. Иза а Везачу Элан дуьхьа дукха къахьегна ю.</verse>
				<verse number="13">Маршалла ло Везачу Элана къаьсттина гӀуллакх дечу Рупе а, цуьнан санна, сан а йолчу цуьнан нене а.</verse>
				<verse number="14">Маршалла ло Асинкарите а, Пелигане а, ХӀермига а, Пата-Рубе а, ХӀармига а, иштта цаьрца болчу динан кхечу вежаршка а.</verse>
				<verse number="15">Маршалла ло Пилалаге а, Юлига а, Нере а, цуьнан йише а, Олу-Мапига а, цаьрца болчу Делан нахе массаьрга а.</verse>
				<verse number="16">Вовшашка маршаллаш ло Делан безачу безамца. Маршаллаш доуьйту шуьга Дала леррина Къобалвинчун динан массо а тобанаша.</verse>
				<verse number="17">Динан вежарий, аса чӀогӀа доьху шуьга, ларлолаш шу декъадалийта а, галдовлийта а гӀертачарех. Букъ берзабелаш шуна бевзинчу хьехамашна дуьхьал харц хьехамаш бечарна.</verse>
				<verse number="18">ХӀунда аьлча иштта адамаша вайн Веза Эла волчу, Дала леррина Къобалвинчунна гӀуллакх ца до. Цара шайн гайна гӀуллакх до. Шайн хьестадаларца, къамелаш дан говза хиларца догцӀена долу адамаш Ӏехадо цара.</verse>
				<verse number="19">Хазачу кхоана шун муьтӀахь хилар массарна а гӀарадаьлла, цундела со воккхавеш ву шух. Амма суна шу хила лаьа диканна — хьекъалалла долуш, ткъа вочунна — догцӀена долуш.</verse>
				<verse number="20">СинпаргӀато луш волчу Дала кестта иблис шун когашна кӀелахь хьоьшуьйтур ду. Вайн Веза Эла волчу Ӏийсагара долу дика шуьца хуьлийла! Амин.</verse>
				<verse number="21">Маршаллаш доуьйту шуьга соьца цхьаьна гӀуллакх деш волчу Тимапис а, сан къомах болчу Лукус а, Ясона а, Соса-Патура а.</verse>
				<verse number="22">Маршалла доуьйту шуьга Дала леррина Къобалвинчун волчу сан хӀара кехат дӀаяздинчу Тертис.</verse>
				<verse number="23">Маршалла доуьйту шуьга со а, ерриг а динан тоба а комаьрша тӀеоьцуш волчу Гаяса. Маршалла доуьйту шуьга гӀалин ахча лардеш волчу Арсатис а, динан вашас Кавартис а.</verse>
				<verse number="24">***</verse>
				<verse number="25">Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах лаьцна Ас кхайкхош болчу хазачу кхоэхула Дела ницкъ болуш ву шайн тешар тӀехь шу чӀагӀдан. БӀешерашкахь дуьйна дӀакъевлина долчу бакъдолчуьнца цхьаьнабогӀуш бу и хаза кхаъ.</verse>
				<verse number="26">И бакъдерг хӀинца гучудаьккхина пайхамарийн тептаршкахула. Даима а волуш волчу Делан омрица и къайле дӀакхайкхийна массо а халкъашна, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах уьш тешийтархьама.</verse>
				<verse number="27">Абаденналц хастам хуьлийла цхьаъ бен воцучу, хьекъалечу Далла Цо леррина къобалвинчу Ӏийсагахула! Амин.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="46">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">Делан лаамца Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан векал хила тӀекхайкхийнчу ПахӀала а, вайн динан вашас Состанама а яздо хӀара кехат.</verse>
				<verse number="2">ХӀара кехат оха яздо Коринт-гӀаларчу Делан динан тобане. Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца уьйр хиларна, Дала даздинарш ду шу. Иштта, Делан долахь хила къастийнарш а ду шу, ткъа шуьца цхьаьна массанхьа а тхан Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсага кхойкхурш а иштта тӀекхайкхина бу. Тхан Веза Эла хилла а ца Ӏаш, Ӏийса церан а Веза Эла ву.</verse>
				<verse number="3">Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а Делан дика а, синпаргӀато а хуьлийла шуна.</verse>
				<verse number="4">Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Дала шуна делла дика бахьана долуш, шуна тӀера ас даим а баркаллаш боху сайн Далла.</verse>
				<verse number="5">ХӀунда аьлча Цуьнгахула хилла шу массо а агӀор хьал долуш — аша мел олучу дашца а, шун мел болчу кхетамца а.</verse>
				<verse number="6">Дала леррина Къобалвинчух лаьцна шуна дина тоьшалла шун дахарехь чӀагӀдаларе терра,</verse>
				<verse number="7">Делан Синера долчу совгӀаташкахь кхин цхьана а тайпана тоам боцуш дац шу, вайн Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Ӏийса гучувоккхучу дийне ладоьгӀуш шу хиларна.</verse>
				<verse number="8">ТӀаьххьара де тӀекхаччалц Цо шу тешарехь чӀагӀдийр ду, вайн Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Ӏийса вогӀун волчу дийнахь шу ала хӀума доцуш цӀена хилийтархьама.</verse>
				<verse number="9">Шен КӀантаца, вайн Веза Эла волчу, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсаца, уьйр хила шу тӀекхайкхина волу Дела тешаме ву.</verse>
				<verse number="10">Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дуьхьа ас чӀогӀа доьху шуьга, динан вежарий, аша массара а цхьаъ дийцар, шайна юкъахь декъадаларш ца хилийтархьама. Шайн хьекъалшкахь а, ойланашкахь а кхоччуш цхьаъ хуьлда шу.</verse>
				<verse number="11">ХӀунда аьлча Халайн цӀерачаьргахула суна хааделла, сан динан вежарий, шуна юкъахь къийсамаш хилар.</verse>
				<verse number="12">Со ала гӀертарг хӀара ду: шуна юкъахь олу: «Со — ПахӀалехьа ву», «Со — Апа-Лесехьа ву», «Со — Кипехьа ву», «Со — Ӏийсагахьа ву».</verse>
				<verse number="13">Ткъа Дала леррина Къобалвинарг векъавелирий те? ПахӀал дӀатоьхнерий те шун дуьхьа жӀарах? Я ПахӀалан дола довлархьама чекхдахийтира те аша шаьш хих?</verse>
				<verse number="14">Аса Далла хастамаш бо, Крисп а, Гаяс а воцург, шух цхьа а айса хих чекх ца ваккхарна.</verse>
				<verse number="15">Цу тайпана, шух цхьаннан а дац ша сан дола валархьама хих чекхваккхийтина олийла.</verse>
				<verse number="16">(Иштта Сетипанан цӀеранаш а хих чекхбаьхна ас. Ткъа айса кхин цхьа а хих чекхваккхар суна дага ца догӀу.)</verse>
				<verse number="17">Дала леррина Къобалвинчо нах хих чекхбаха вахийтина вацара со, ткъа хаза кхаъ кхайкхо вахийтинера. Ткъа адамашна хьалха хьекъалечу дешнашца кхайкхо ца беза аса иза, Дала леррина Къобалвинчун жӀарах дӀатохар эрна ца хилийтархьама.</verse>
				<verse number="18">ХӀаллакьхуьлуш болчарна Ӏийса жӀарах дӀатохарх лаьцна болу хаам сонта бу. Ткъа кӀелхьардохуш долчу тхуна — иза Делан ницкъ бу.</verse>
				<verse number="19">Делан Йозанашкахь аьлла ду: «Аса хӀаллакдийр ду хьекъалчийн хьекъалалла, кхетам болчийн кхетам а талхор бу аса».</verse>
				<verse number="20">Ткъа мичахь ву кху заманара хьекъал дерг, Ӏилманча, хьекъале къийсамаш бийриг? Ткъа кху дуьненахь бехачийн хьекъалаллах ца йина Дала сонталла?</verse>
				<verse number="21">Шен хьекъалаллица Дала билгалдаьккхира дуьнен чуьра нахана церан хьекъалца Ша цавовзийтар. Мелхо а, Далла тамехь дара, оцу наха «сонта» бу бохучу, оха бечу хьехамашца Ӏийсах тешнарш кӀелхьарбахар.</verse>
				<verse number="22">Жуьгташа а доьху тамашийна билгалонаш гайтар, грекахоша а лоьху хьекъалалла,</verse>
				<verse number="23">ткъа оха дӀакхайкхабо кхаъ хӀара бу: Дала леррина Къобалвинарг жӀарах дӀатоьхна хилла. И кхаъ жуьгташна Ӏесалла ю аьлла хета, кхечу къаьмнех болчарна иза «сонталла» ю аьлла хета,</verse>
				<verse number="24">ткъа Дала тӀекхайкхинчарна, уьш шаьш жуьгтех я грекахойх белахь а, цу кхоан маьӀна ду, Дала леррина Къобалвинарг Делан ницкъ а, Делан хьекъалалла а хилар.</verse>
				<verse number="25">ХӀунда аьлча Делан «сонталла» адамийн хьекъалаллал а тоьлуш ю. Ткъа Делан «эгӀазалла» адамийн нуьцкъалаллал а ницкъ болуш ю.</verse>
				<verse number="26">Динан вежарий, дагаяийтийша Дала шу Шена тӀекхайкхина хан. Адамийн хьесапехь дукха бацара шуна юкъахь хьекъалалла долуш берш. Дукха бацара шуна юкъахь нуьцкъалнаш а, дукха бацара хьалдолчийн тайпанех берш а.</verse>
				<verse number="27">Амма Дала кху дуьненахь сонта хеташ долу хӀуманаш къастийна хьекъалалла долчийн сий дайа, ткъа кху дуьненахь эгӀаза хеташ долу хӀуманаш къастийна ницкъболчеран сий дайа.</verse>
				<verse number="28">Кху дуьненахь кӀезиг хета хӀуманаш а, сийсаза хета хӀуманаш а къастийна Дала. Дуьненна уьш хӀумма а доцу хӀума хетташехь, Дала уьш къастийна, цаьргахула дуьненна ладам болу хӀуманаш хӀумма а доцург хилийтархьама.</verse>
				<verse number="29">Цундела Далла хьалха цхьаьнгге а дозалла ца дало.</verse>
				<verse number="30">Иза бахьана долуш ду шу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца хилар! Цуьнгара хилла вайна Делера долу хьекъалалла. Цуьнгахула вай Далла хьалха бакъ а до, Дала вай даз а до, паргӀат а доху.</verse>
				<verse number="31">Цундела ма яздина Делан Йозанаш тӀехь: «Ша дозалла дечо — Везачу Элах дозалла де».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Динан вежарий! Шу долчу веанчу хенахь, Делан къайленах лаьцна сайн хьекъалца а, Ӏилманчин къамелашца а дийца ца веанера со,</verse>
				<verse number="2">хӀунда аьлча со шуьца волчу ханна суна кхин цхьа хӀума а шуна довзийта ца лиънера, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах а, Цуьнан жӀара тӀехь валарх а лаьцнарг доцург.</verse>
				<verse number="3">Сайн дегӀан эгӀазаллица а, кхерамца а, чӀогӀа вегаварца а Ӏийра со шу долчохь.</verse>
				<verse number="4">Айса аьлла долу дешнаш а, бина болу хьехам а ца бинера аса адаман хьекъалаллин говзачу дешнашца шу тешорхьама, амма Делан Синан ницкъах долчу тоьшаллашца бинера.</verse>
				<verse number="5">И хьехам ас бинера, шун Ӏийсах долу тешар адамийн хьекъалаллица доьзна а доцуш, амма Делан ницкъаца доьзна хилийтархьама.</verse>
				<verse number="6">Тешарна тӀехь кхоччуш кхиъна болчу нахана юкъахь хьекъалаллах лаьцна хьехам бо оха. Амма оха кху дуьненан хьекъалаллах дерг а хьоьхуш дац, я шайн олалла чекхдала герга болчу, кху дуьненахь олалла деш болчеран хьекъалаллах а хьоьхуш дац.</verse>
				<verse number="7">Ткъа оха дуьйцуш долу хьекъалалла — Делан къайлаха долу хьекъалалла ду. Иза Дала хӀара дуьне кхоллале дуьйна а вайн сийлаллина хьажийна хилла.</verse>
				<verse number="8">И хьекъалалла кху дуьненахь олалла деш хилла болчех цхьанна а девзина дацара, хӀунда аьлча шайна иза девзина хиллехьара, цара вайн сийлаллин Веза Эла жӀарах дӀатухур вацара.</verse>
				<verse number="9">Амма Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Дала Ша везначарна кечдинарг бӀаьргана а ца гина, лергана а ца хезна, адамна дага а ца деана».</verse>
				<verse number="10">Ткъа вайна Дала Шен Синца дӀадиллина иза, хӀунда аьлча Делан Сино дерриг а толлу, ур-атталла Делан кӀоргенаш а.</verse>
				<verse number="11">Адамех хьанна хаьа, кхечу адамна чохь дерг, цу адамна чохь долчу шен синна бен? Иштта Делан ойланаш а ца евза цхьанна а, Делан Шен Синна бен.</verse>
				<verse number="12">Вай тӀеэцнарг кху дуьненахь болчийн кхетамехь долу са дац, ткъа Делера схьадолу Са ду, Дала Шегара делларг вайна довзийтархьама.</verse>
				<verse number="13">Оцу дерригенах а лаьцна, вайн адамийн хьекъало луш долчу дешнашца а доцуш, Делан Сино хьоьхучу дешнашца дуьйцу. Синца доьзначу хӀуманех Синах буьзна берш кхетабо вай.</verse>
				<verse number="14">Шен сих бен дуьзна доцучу адамо Делан Сино луш долу хӀуманаш тӀе ца оьцу, шена уьш сонта хета дела. Иза царах кхетийла а дац, Делан Синан гӀоьнца бен уьш къаста ца ло дела.</verse>
				<verse number="15">Делан Синца волчунна массо а хӀуманан мах хадо хаьа. Ткъа цу стеган мах хадо цхьана а адаман йиш яц.</verse>
				<verse number="16">ХӀунда аьлча Делан Йозанашкахь яздина ма ду: «Везачу Элан хьекъал довза мила кхаьчна? Цуьнга хьехам бан йиш йолуш мила хир ву?» Ткъа вайн Дала леррина Къобалвинчун хьекъал ду.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">Динан вежарий, аса къамел дечу хенахь, сан йиш яцара Делан Синах буьзна болчаьрца санна шуьца къамел дан. Аса кху дуьненара болчаьрца санна а, Дала леррина Къобалвинчуьнца йолчу шун уьйре хьаьжжина, кегий берашца санна а къамел дира шуьца.</verse>
				<verse number="2">Ӏовша хала йолу яа хӀума а ца луш, шура малайора аса шуна, хӀунда аьлча цкъачунна онда юург яа ца лора шуьга. Шуьга-м хӀинца а яалур яц иза,</verse>
				<verse number="3">шу хӀинца а шайн синан лаамашца дехаш долу дела. Нагахь шуна юкъахь вовшашка хьагӀ а хилча, шун вовшашца къийсарш а хилча, тӀаккха шу а ца хуьлу кху дуьненах болчарах? Аша а ца леладо кху дуьненарчу адамаша леллорг?</verse>
				<verse number="4">Нагахь шух цхьаммо «Со ПахӀална тӀаьхьахӀиттинчарах ву», ткъа вукхо ша «Апа-Лесинчарах ву» бохуш хилча, тӀаккха шу а ца хуьлу кху дуьненах болчарах?</verse>
				<verse number="5">Ткъа мила ву Апа-Леса? Я мила ву ПахӀал? Тхайгахула шу тешаре далийна долу ялхой бен дац тхо. Везачу Эло тхаьшна хӀоранна тӀедиллина доллучул гӀуллакх кхочушдина оха.</verse>
				<verse number="6">Аса хӀу тесира, Апа-Лесас цунна хи туьйхира, амма и хӀу хьалакхиийнарг Дела ву.</verse>
				<verse number="7">Цундела и хӀу дӀадийнарг а, цунна хи тоьхнарг а цхьа а воцург ву. Ткъа Дела ладаме ву, хӀунда аьлча Иза — и хӀу хьалакхиош Верг ву.</verse>
				<verse number="8">ХӀу дӀадуьйш волчун а, цунна хи тухуш волчун а цхьатерра Ӏалашо ю. ХӀоранна а, динчу гӀуллакхе хьаьжжина, цунна доггӀург дӀалур ду.</verse>
				<verse number="9">Тхойшиъ цхьаьна Далла гӀуллакх дийриг ву, ткъа шу Делан аре а, Цуьнан гӀишло а ю.</verse>
				<verse number="10">Говзачу гӀишлоярхочо санна, аса бух боьттира, Дала сайна деллачу похӀме хьаьжжина. Ткъа кхечо цу бух тӀехь гӀишло йо. Амма хӀорра а ша и гӀишло муха еш ю хьажа веза.</verse>
				<verse number="11">ХӀунда аьлча цхьаннан а йиш яц, ша хӀинцале болуш болу, Дала леррина къобалвина Ӏийса волу бух боцург, кхин бух билла.</verse>
				<verse number="12">Оцу бух тӀехь деших, я детих, я дезачу тӀулгех, я дечигах, я алах, я чех цхьаъ гӀишло еш хила тарло.</verse>
				<verse number="13">Царах хӀораннан а гӀуллакх къематдийнахь гучудер ду, хӀунда аьлча цу дийнан цӀеро и гӀуллакх, зен а зуьйш, серла а доккхур ду, цуьнан мах а гойтур бу.</verse>
				<verse number="14">Нагахь санна цхьаммо дина долу гӀуллакхаш, цӀеро талха а ца деш, шен меттахь латтахь, цунна совгӀат хир ду.</verse>
				<verse number="15">Ткъа нагахь цхьаммо динарг цӀергахь дагахь, цунна эшам хир бу. Иза ша-м кӀелхьарвер ву, амма цӀерах чекхволуш санна вер ву.</verse>
				<verse number="16">Шуна ца хаьа ткъа, шух хӀорра а Делан цӀа хилар а, Делан Са шуна чохь дехаш хилар а?</verse>
				<verse number="17">Нагахь цхьаммо Делан цӀа хӀаллакдахь, Дала иза хӀаллаквийр ву, хӀунда аьлча Делан цӀа Цуьнан долахь бен дац. Ткъа и Делан цӀа шу шаьш ду.</verse>
				<verse number="18">Шу Ӏеха ма лолаш. Шух цхьанна ша, кху дуьненан хьекъалалле хьаьжжина, хьекъалалла долуш ву моттахь, тӀаккха иза «сонта» хила веза, ша билггал хьекъале хилархьама.</verse>
				<verse number="19">ХӀунда аьлча кху дуьненан хьекъалалла Далла хьалха «сонталла» ю. Делан Йозанаш тӀехь яздина ду: «Хьекъалалла дерш Дала церан шайн хӀилланца схьалоцу».</verse>
				<verse number="20">Кхин а яздина ду: «Везачу Элана хаьа, хьекъалалла долчеран ойланаш эрна юйла».</verse>
				<verse number="21">Цундела цхьаммо а ша цхьана адаман долахь хиларх дозалла дан ца деза, хӀунда аьлча массо а хӀума шун долахь ду,</verse>
				<verse number="22">хӀуъа а иза делахь а: я ПахӀал, я Апа-Леса, я Кипа, я хӀара дуьне, я дахар, я валар, я хӀинца долуш дерг, я хиндерг. И дерриг а шун долахь ду.</verse>
				<verse number="23">Шу Дала леррина Къобалвинчун долахь ду, ткъа Иза — Делан ву.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">Иштта, Дала, тхох теша а тешна, Шен къайле йолу, билггал бакъдерш караделла болу Дала леррина Къобалвинчун гӀуллакх дийраш санна тӀеэца деза тхо хӀораммо а.</verse>
				<verse number="2">Ткъа, шех теша а тешна, и гӀуллакх каракхаьчнарг муьлхха а тешаме хилла каро веза.</verse>
				<verse number="3">Сан кӀезиг бала бу я аша, я кхечу адамаша суна кхел ярца. Аса-м айса а ца йо сайна кхел.</verse>
				<verse number="4">Сан дог цӀена делахь а, и бахьанехь со бехказа ца волу. Веза Эла Ша хир ма ву сан Кхелахо.</verse>
				<verse number="5">Цундела хенал хьалха, Веза Эла схьаваллалц, цхьанна а кхел ма елаш. Цо серладоккхур ду боданехь къайладаьлларг, деган Ӏалашонаш а гучуйохур ю. ТӀаккха Дала хӀоранна а хастам дӀалур бу.</verse>
				<verse number="6">Динан вежарий! Шуна диканиг хилийтархьама, оцу массо а хӀуманна тӀехь аса со а, Апа-Леса а валийра масална, оцу масалшца шу кхеторхьама «Яздинчунна тӀера довла мегар дац» бохучух а, вовшашна юкъахь цхьаммо вукхунна хьалха дозаллаш дан ца дезарх а.</verse>
				<verse number="7">Хьан боху хьо кхечарал гӀоле ву? Хьан хӀун ду, хьайна делларг доцург? Ткъа хьайна и дерриг а делла хилча, хӀунда йо ахьа кураллаш, иза хьайна делла долу совгӀат доцуш санна?</verse>
				<verse number="8">ХӀинца-м шайна оьшург долуш ду моьтту шуна шайн. ХӀинца-м шаьш хьал долуш а хета шуна. Тхо ца хиллехь а, шайх паччахьаш хилла моьтту шуна. Суна-м лаьара, хӀинцале а шу билггал паччахьаш хилла хилар, тӀаккха тхан а шуьца цхьаьна паччахьалла дойла хир дара!</verse>
				<verse number="9">Векалш долу тхо, Дала уггаре а лараме йоцучу метте дӀахӀиттийна аьлла хета суна. Массарна а хьалха хӀаллакьхиларна кхел йинарш санна ду тхо. Кху дерриге а дуьненна хьалха тхох кхардам хилла — маликашна а, адамашна а хьалха.</verse>
				<verse number="10">Тхо сонтанаш санна хилла Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа, ткъа шаьш Цуьнца оццул хьекъале ду моьтту шуна! Тхо гӀорасиза, ткъа шу ницкъ болуш хета. Шун сий до, ткъа тхо сийсаздоху.</verse>
				<verse number="11">Оха-м тахханалц а лов мацалла а, хьогалла а, тӀехь хӀума цахилар а, тхайна еттар а, даха хӀусам цахилар а.</verse>
				<verse number="12">Оха тхешан куьйгашца къахьоьгу. Тхох лаьцна наха вониг дийцича, оха декъалбо уьш. Тхаьш лелхийча, иза а лов оха.</verse>
				<verse number="13">Наха тхо сийсаздаьхча а, оха царах лаьцна диканиг доьху. Тхо, кху дуьненна сов а девлла, нехаш санна ду. Тахана а ченан мехах хета тхо массарна а.</verse>
				<verse number="14">Шу сийсаздахархьама ца дуьйцу ас хӀара, амма сайна дезаш долчу берашна санна хьоьху ас шуна.</verse>
				<verse number="15">ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинчуьнца долчу дахарехь шун итт эзар верас велахь а, шу цу дахаре даьхна болу дай дукха бац шун. Ткъа хаза кхаъ шуьга кхайкхорехула Дала леррина Къобалвинчуьнца шун да хилла сох.</verse>
				<verse number="16">Цундела ас доьху шуьга: сох масал а эций, хилийша сох тера.</verse>
				<verse number="17">И дерриге а бахьанехь ваийтинера аса шу долчу Тимапи. Везачу Элах долчу тешаре хьаьжжина, сан хьоме а, тешаме а кӀант ву иза. Цо дагадоуьйтур ду шуна Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца долу со лела некъаш муха ду а, аса цу некъах лаьцна массанхьа а, хӀорра динан тобанехь а муха хьоьху а.</verse>
				<verse number="18">Со шу долчу вогӀур вац моттарна, шуна юкъара цхьаболчарна даг чу куралла тесна.</verse>
				<verse number="19">Амма Везачу Элан лаам белахь, со кестта вогӀур ву шу долчу. ТӀаккха аса, курабевллачеран хазачу дешнашка а ца хьоьжуш, церан ницкъ зуьйр бу.</verse>
				<verse number="20">ХӀунда аьлча Делан Олалла хазачу дешнех доьзна дац, амма ницкъах доьзна ду.</verse>
				<verse number="21">Шуна хӀун лаьа? Со гӀожаца я безамца а, эсалчу амалца а вогӀийла лаьий шаьш долчу?</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">Шуна юкъахь, билггал бакъ а долуш, нахаца лелар юкъадаьлла хилар хезна тхуна. Ур-атталла дин доцучу нахана юкъахь а иштаниг ца хуьлучу тайпана хӀума ду иза. Шуна юкъара волу цхьа хьенех шен дестечуьнца лелаш ву боху.</verse>
				<verse number="2">Ткъа шу дозалла деш ду! Цул а гӀолехь дара шуна, гӀайгӀанах дуьзна хилар а, цу тайпана лелаш верг шайна юкъара дӀаваьккхина хилар а.</verse>
				<verse number="3">Со дегӀаца шу долчохь вацахь а, сайн синца шу долчохь волу дела, аса шуьца волуш санна кхел йина цу тайпана сийсаза лелаш волчунна.</verse>
				<verse number="4">Веза Эла волчу Ӏийсан дуьхьа шу цхьаьна гулделлачу хенахь, сан са а хир ду шуьца, тӀаккха вайн Веза Эла волчу Ӏийсан олаллица</verse>
				<verse number="5">цу тайпана верг иблисан кара дӀало, цуьнан синан лаамаш хӀаллак а байтина, Везачу Элан дийнахь цуьнан са кӀелхьардалийтархьама.</verse>
				<verse number="6">Аша дозалла дан хӀумма а дац. Шуна хууш дац ткъа: «КӀеззиг болчу муьстачу бедо берриг а бод совсабо»?</verse>
				<verse number="7">Шаьш а керла бод санна хилархьама, ширбелла болу муьста бод дӀабаккха. ХӀунда аьлча шу Ӏийсах тешаш долу дела, совсоза дина бепиг санна ду. Ткъа Дала леррина Къобалвинарг Пасахьан Ӏахар санна сагӀина дӀавелла.</verse>
				<verse number="8">Цундела вай вешан Пасахьан дезде даздан деза мекарлонца а, зуламца а доьзна долчу, ширбеллачу муьстачу бедаца а доцуш, ткъа догцӀена хиларца а, билггал долчу бакъдолчуьнца а доьзна долчу совсоза динчу баьпкаца.</verse>
				<verse number="9">Аса сайн кехата тӀехь, сийсаза лелачаьрца тӀекаре ма хила аьлла, яздинера шуьга.</verse>
				<verse number="10">Дера суна-м ца лиънера ала, кху дуьненахь сийсаза лелаш мел болчаьрца а, сутаралла мел йолчаьрца а, хьарамло мел лелош болчаьрца а, цӀушна Ӏамал еш болчаьрца а тӀекаре ма е. ТӀаккха-м хӀара дуьне дита дезар дара аша.</verse>
				<verse number="11">Ткъа аса шуьга яздинарг хӀара дара: ша шун динан ваша ву а бохуш, амма я сийсаза лелаш, я сутара волуш, я цӀушна Ӏамал еш, я мотт бетташ, я вехна лелаш, я хьарамло лелош иза велахь, шун цуьнца тӀекаре хила ца еза бохург. Ишттачу стагаца ур-атталла пхьор а ма даа.</verse>
				<verse number="12">12-13 ХӀунда аьлча сан хӀун гӀуллакх ду динан тобанан юкъа ца богӀу нах бехке бан? Царна Дала Ша йийр ю кхел. Амма динан тобанна юкъавогӀург бехке озо ца веза ткъа аша? Делан Йозанаш тӀехь аьлла ма ду: «Телхина леларг шайна юкъара дӀаваккха».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="6">
				<verse number="1">Нагахь санна динан вешица шайн къовсам хилча, шух мила гӀур вара, Делан нах а битина, Делан лаамехь боцучаьрга шайна кхел яйта?</verse>
				<verse number="2">Шуна хууш дац ткъа, Делан наха йийр юйла дуьненна а кхел? Нагахь шуьга дуьненна а кхел йойтур йолуш хилча, шайн кӀезиг долчу гӀуллакхашна кхел ян говзалла яц те шун?</verse>
				<verse number="3">Шуна ца хаьа, вай йийр юйла маликашна а кхел? ТӀаккха дахаран гӀуллакхашна тӀехь еш йолу кхел-м муххале а вай йийр ю.</verse>
				<verse number="4">Ткъа аша цу гӀуллакхашна тӀехь а динан тобанна юкъахь цхьа а ларам боцучу арахьарчу нахах шайн кхелахой бо!</verse>
				<verse number="5">Шуна эхь хетийтархьама боху ас хӀара: шайн динан вежаршна юкъахь болчу къийсамашна кхел ялур йолуш волу цхьа а хьекъале верг вац те шуна юкъахь?</verse>
				<verse number="6">Делахь а вашас шен динан ваша а вуьгу кхел яйта. Иштта тешар доцучаьрга тешаш болчарна тӀехь кхел йойту аша!</verse>
				<verse number="7">Шуна шайна юкъахь къийсамаш хилар а кӀорга эшар ду шуна. Нагахь шайна цхьа харцо йинехь а, Ӏад хӀунда ца Ӏа шу? Шайна цхьа эшам хиллехь а, Ӏад хӀунда ца Ӏа шу?</verse>
				<verse number="8">Аша-м шаьш а йо кхечарна харцо, царна эшам а бо, уьш шайн динан вежарий боллушехь!</verse>
				<verse number="9">Я шуна ца хаьа те, харцонаш йийраш Делан Олалле ца кхочийла? Ӏеха ма лолаш! Сийсаза лелачарах а, цӀушна Ӏамал ечарах а, нахаца лелачарах а, вовшашца хьарам дерг лелочу божарех а,</verse>
				<verse number="10">къола дечарах а, сутарачарах а, бехна лелачарах а, мотт беттачарах а, хьарамлончех а волу цхьа а Делан Олалле ца кхочу.</verse>
				<verse number="11">Цу тайппана бара шух цхьаберш а. Амма Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан цӀарца а, вайн Делан Синца а шу цӀан а дина, даз а дина, бакъ а дина.</verse>
				<verse number="12">Цхьаммо ала тарло: «Сан хӀуъа а дан бакъо ю». Иза бакъ хила там бу, амма дерриг а дац хьуна пайдехь. «Сан хӀуъа а дан бакъо ю». ХӀаъ, амма цхьана а хӀумане сайна тӀехь олалла ца дойту аса.</verse>
				<verse number="13">Цхьаммо ала тарло: «Яа хӀума а — ген дуьхьа ю, ткъа ге а — яа хӀуманна ду. Эххар а Дала иза а, важа а хӀаллакдийр ду». Делахь а вайн дегӀ вай сийсаздаха кхоьллина дац, иза Везачу Элан дуьхьа ду. Ткъа Везачу Эло вайн догӀмаш Ӏалашдийр ду.</verse>
				<verse number="14">Веллачуьра Веза Эла денвина а ца Ӏаш, Дала Шен ницкъаца вай а дендийр ду деллачуьра.</verse>
				<verse number="15">Ткъа шуна ца хаьа, вайн догӀмаш Дала леррина Къобалвинчун дегӀан меженаш юйла? ТӀаккха, Цуьнан меженаш схьа а яьхна, уьш сийсазйохур юй те ас? ХӀан-хӀа, иштаниг хуьлийла а дац!</verse>
				<verse number="16">Я шуна ца хаьа те, шаьш нахаца леллачу зудчух дӀакхетча, шайн цуьнца цхьа дегӀ хуьлийла. ХӀунда аьлча аьлла ма ду: «ТӀаккха цу шиннах цхьа дегӀ хир ду».</verse>
				<verse number="17">Ткъа Делах дӀауьйш волчун Цуьнца цхьаьна долу цхьа са а хуьлу.</verse>
				<verse number="18">Ларлолаш сийсаздовларх! Адамо латош долу муьлхха а кхидолу къа дегӀах лета къа дац. Ткъа сийсаза лелачо шен дегӀана къилахь долу хӀума до.</verse>
				<verse number="19">Я шуна ца хаьа те, шайн догӀмаш шуна чохь долчу а, Дала делла долчу а Делан Синан цӀа дуйла? Шу шайн долахь ма дац!</verse>
				<verse number="20">ХӀунда аьлча, беза мах а белла, эцна ду шу. Цундела шайн догӀмашца Делан сий делаш!</verse>
			</chapter>
			<chapter number="7">
				<verse number="1">Аша соьга яздинчух лаьцна аьлча, аша боху: «Стагана зудчух ца хьакхавелча гӀолехь ду».</verse>
				<verse number="2">Амма сийсазваьлла ца лелархьама, хӀора стеган а шен долахь зуда хила еза. ХӀора зудчун а шен майра хила веза.</verse>
				<verse number="3">Майрачо шен зудчун дегӀан лаам кхочушбан беза. Иштта зудчо а кхочушбан беза майрачун дегӀан лаам.</verse>
				<verse number="4">Зудчун дегӀ цуьнан шен долахь дац, иза майрачун долахь ду. Цу тайппана майрачун дегӀ а цуьнан шен долахь дац, иза цуьнан зудчун долахь ду.</verse>
				<verse number="5">Вовшашца бинчу бартаца шаьш доӀа дан лоруш билгалъяьккхинчу ханна бен, вовшех ма къахка. Цул тӀаьхьа юха а цхьаьна хила, шун собар цахиларехула иблисе шаьш ца зейтархьама.</verse>
				<verse number="6">Иза аса шуна тӀе ца дуьллу, амма иза иштта хилча магош долу хӀума ду аьлла боху аса.</verse>
				<verse number="7">Суна-м массо а адам со санна хила лаьара, делахь а хӀоранна а Дала шен-шен похӀма делла: цхьанна — цхьаъ, вукхунна — важа.</verse>
				<verse number="8">Ткъа зударий белла бисинчаьрга а, бисина Ӏаш болчу зударшка а аса боху: «Царна со санна Ӏер гӀолехь ду».</verse>
				<verse number="9">Амма шаьш иштта ца Ӏалахь, цара зуда яло еза. ДегӀан лаамашка ша хьийза а войтуш вехачул, зуда ялаяр гӀолехь ду.</verse>
				<verse number="10">Зударий балийначарна а, маре баханчарна а аса тӀедуьллу (ткъа иза соьгара сайгара дац, амма Везачу Элера ду), зуда шен майрачух дӀа ма къаста аьлла.</verse>
				<verse number="11">Ша дӀакъастахь, я кхин маре ма де, я шен майрачуьнца барт а бина, цуьнга юхагӀо. Ткъа майрачо а шен зуда ма йита.</verse>
				<verse number="12">Ткъа кхидолчу адамашка аса боху (иза Везачу Элера а доцуш, сайгара ду), нагахь динан вешин Ӏийсах тешар доцу зуда елахь, иза цуьнца яха реза а елахь, цу зудчух дӀакъаста ца веза и стаг.</verse>
				<verse number="13">Иштта, Ӏийсах тешаш йолчу зудчун тешар доцу майра велахь, амма иза цуьнца ваха реза велахь, шен майрачух дӀакъаста ца еза и зуда.</verse>
				<verse number="14">ХӀунда аьлча тешар доцу майра тешар долчу зудчуьнгахула вазво. Ткъа тешар доцу зуда а язйо тешар долчу цуьнан майрачуьнгахула. Иза иштта ца хилча, церан бераш Далла хьалха цӀена хир дацара, ткъа хӀинца уьш Дала даздина ду.</verse>
				<verse number="15">Нагахь Ӏийсах тешар доцург шен зудчух дӀакъаста лууш велахь, я иштта тешар доцу зуда майрачух дӀакъаста лууш елахь, уьш дӀакъастийта. ХӀунда аьлча я динан ваша а, я динан йиша а оцу гӀуллакхна дихкина дац. Везачу Эло вай вовшашца бертахь дахаре ма кхайкхина.</verse>
				<verse number="16">Хьанна хаьа, зудчо шен майра кӀелхьарваккха а ма тарло. Я стага а шен зуда кӀелхьаръяккха мега.</verse>
				<verse number="17">ХӀорра а стаг шена Дала билгалдаьккхинчу тайпана ваха веза, ша Везачу Эло тӀекхайкхинчу дахарехь виса веза. Изза тӀедуьллу аса массо а динан тобанашна а.</verse>
				<verse number="18">Нагахь Дала керлачу дахаре тӀекхайкхале хьо сунтвина хиллехь — и билгало дӀаяккха ма гӀерта. Ткъа нагахь хьо цу хенахь сунтвина ца хиллехь — сунтвайта ца оьшу.</verse>
				<verse number="19">Сунтвина хилар а, сунтваза хилар а — хӀумма а доцург ду. Ткъа цул а коьртаниг ду Делан парзаш кхочушдар.</verse>
				<verse number="20">ХӀорра а, Дала керлачу дахаре тӀекхайкхале, ша хиллачу хьолехь виса веза.</verse>
				<verse number="21">Нагахь цу хенахь хьо лай хиллехь, хӀумма а дац, цунах оза ма ло. Амма паргӀатвала хьайн аьтто белахь, паргӀатвала а хьажа.</verse>
				<verse number="22">ХӀунда аьлча Везачу Эло керлачу дахаре тӀекхайкхинчул тӀаьхьа лай Везачу Элана хьалха паргӀат ву. Ткъа тӀекхайкхале паргӀат хилларг — хӀинца Дала леррина Къобалвинчун лай ву.</verse>
				<verse number="23">Шайх адамийн леш ма хилийталаш, хӀунда аьлча шух беза мах белла.</verse>
				<verse number="24">Динан вежарий! Далла хьалха хӀорра а Везачу Эло керлачу дахаре тӀекхайкхале ша хиллачу хьолехь виса.</verse>
				<verse number="25">Ткъа зуда ялоза я маре бахаза болчаьрга, Везачу Эло тӀедиллина ду аьлла, тӀетоха хӀумма а дац сан. Амма Везачу Эло сох къинхетам барна, тешаме хила таро йолчу аса сайна хетарг боху.</verse>
				<verse number="26">Суна схьахетарехь, адаман хӀинца хуьлуш болу массо а баланашка хьаьжча, цунна ша хӀинццалц хиллачу хьолехь висар гӀолехь ду.</verse>
				<verse number="27">Айхьа зудчуьнга захало дийцинехь, цунах дӀакъаста ма гӀерта. Ткъа айхьа зудчуьнга захало ца дийцинехь, хьайна зуда ма леха.</verse>
				<verse number="28">Делахь а ахьа зуда ялаяхь а — иза къилахь дац. ЙоӀ маре яхар а къилахь дац. Амма цара кху дахарехь чӀогӀа баланаш хьоьгур бу. Ткъа суна цу баланех шу лардан лаьара.</verse>
				<verse number="29">Динан вежарий! Аса хӀара боху шуьга: хан кӀезиг йисна, цундела хӀинца дуьйна зударий балийнарш а, шайн зударий боцуш санна хила беза.</verse>
				<verse number="30">Шух боьлхуш берш а ца боьлхуш санна хила беза. Хазахетар хилларш а хаза ца хетча санна хила беза. ХӀума оьцурш а и эцнарг шайн долахь доцуш санна хила беза.</verse>
				<verse number="31">Кху дуьненах дика схьаоьцурш, шу а иза совдерг доцуш санна, даха ца деза, хӀунда аьлча тахана долуш долу дуьне дӀадолуш ду.</verse>
				<verse number="32">Суна-м шун цхьана а хӀуманна тӀехь гӀайгӀа ца хила лаьа. Зуда ялоза верг, Везачу Элан лаам кхочушбан лууш, Цунна дечу гӀуллакхна гӀайгӀанехь ву.</verse>
				<verse number="33">Ткъа зуда ерг дуьненан гӀуллакхийн гӀайгӀанехь ву. Иза шен зудчун лаамаш кхочушбан гӀерта.</verse>
				<verse number="34">Цу тайпана цуьнан гӀайгӀанаш екъало. Маре яхаза ерг, Везачу Элан лаам кхочушбан гӀерташ, Цунна гӀайгӀанехь хуьлу, шен дегӀаца а, шен синца а Цунна тешаме хила лууш. Ткъа марехь йолу зуда кху дуьненан гӀуллакхийн гӀайгӀанехь хуьлу, шен майрачун лаамаш муха кхочушбийр бара те бохуш.</verse>
				<verse number="35">Аса и дерриг а шуна пайденна дуьйцу, шуна иза дехкархьама а доцуш. Мелхо а, суна лаьа, шун лелар оьзда хила а, Везачу Элана тешаме хила а, кхечу хӀуманна тӀе ойла ца йохуьйтуш.</verse>
				<verse number="36">Нагахь ша захало дийцина йоӀ цӀахь йитар бегӀийла ца хетахь, цуьнца хиларан лаам цуьнан сов боккха белахь, и захало хила мегар ду. Цу стаге и йоӀстаг ялаяйта, иза къилахь дац.</verse>
				<verse number="37">Амма нагахь цу стага ша захало дийцина йоӀ ца яло шен дагахь кхин хийцалур боцучу тайпана сацам а бинехь, нагахь цхьаммо а и гӀуллакх цунна тӀедиллина а дацахь, нагахь цу тӀехь цуьнан лаам а белахь, и сацам даггара а белахь, цо дийриг дика гӀуллакх ду.</verse>
				<verse number="38">Ша захало дийцина йоӀ ялош волчо дийриг а дика хӀума ду, ткъа иза ялош воцчо дийриг кхин а гӀолехь ду.</verse>
				<verse number="39">Марехь йолу зуда, шен майра дийна мел ву, бакъонашца йихкина ю. Нагахь майра веллехь, шена луъучуьнга маре яха магош ду цунна, амма и стаг Везачу Элан долахь хила веза.</verse>
				<verse number="40">Кхин а дика ду, иза маре а ца йоьдуш Ӏийча. Иштта ю сан цунах йолу ойла, ткъа сайна чохь долчу Делан Сино со цунна тӀе валаво аьлла хета суна.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="8">
				<verse number="1">ЦӀушна сагӀина еана йолчу яа хӀуманах лаьцна аша соьга яздинчух ала лаьара суна. Хууш ду-кх, олуш ма-ду: «Вайн массеран а кхетам бу». Амма кхетам хиларо адам курадоккху, ткъа безамо иза синца чӀагӀдо.</verse>
				<verse number="2">Нагахь цхьанна шена цхьа хӀума девза моттахь а, цунна хӀинца а довза ма-деззара хӀумма а ца девза.</verse>
				<verse number="3">Ткъа цхьанна Дела везаш велахь, иза Далла вевзина.</verse>
				<verse number="4">Цу тайпана цӀушна сагӀина еанчу юучу хӀуманах лаьцна хууш ду-кх, кху дуьненахь цӀу хӀумма а воцург вуйла а, иштта, цхьа Дела воцург, кхин Дела воцийла а.</verse>
				<verse number="5">Лаьттахь я стигалахь бехаш «деланаш» хуьлу олу. И «деланаш» а, «беза элий» а дукха белахь а,</verse>
				<verse number="6">вайна иштта ду: Дела цхьаъ бен вац вайн, Иза Да ву вайн, массо а хӀума Цуьнгара хилла а ду, вай Цуьнан дуьхьа дехаш а ду. Иштта Веза Эла а цхьаъ бен вац вайн. Иза Дала леррина къобалвина Ӏийса ву, Цуьнгахула массо хӀума хилла а ду, вай Цуьнгахула дехаш а ду.</verse>
				<verse number="7">Делахь а цу бакъдолчух берриш а ца кхета. ЦӀушна Ӏамал яран Ӏадат цхьаболчарна хӀинца а чулацам болуш хета. ЦӀушна сагӀина еана йолу юург а юуш, цара иза деланашна къобалйина йолуш санна лору, цундела церан кӀеда дегнаш Далла хьалха бехло.</verse>
				<verse number="8">Юучу хӀумано вай Далла улло ца даладо. Юург цаяарца вай хӀумма а ца дойу, ткъа иза йиъча а, вайна гӀоле а ца хуьлу.</verse>
				<verse number="9">Делахь а шу ларлолаш, тешарехь чӀагӀделла доцурш, шаьш паргӀато лелочу хӀуманна тӀехь, Ӏеха а делла, къинош летадарх.</verse>
				<verse number="10">ХӀунда аьлча нагахь оцу кӀеда дог долчунна, хьайн оццул «кхетам» боллушехь, ахьа а цӀушна Ӏамал ечу цӀа чохь юург юуш гича, тӀаккха, ша а яа мегар ду аьлла, хетар дуй те цунна и цӀушна сагӀина еана йолу юург?</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха хьан «кхетам» бахьана долуш, шен дуьхьа Дала леррина Къобалвинарг велла волу, и кӀеда дог долуш волу хьан динан ваша хӀаллакьхир ву.</verse>
				<verse number="12">Шайн динан вежаршна дуьхьал цу тайпана долу къа латадарца, церан кӀедачу дегнашна чов а еш, аша Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал къа латадо.</verse>
				<verse number="13">Цундела айса оцу юучуьнца сайн динан веше къа латадойтуш делахь, аса цкъа а дуур дац иштта долу жижиг, сайн веше къа ца латадайта.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="9">
				<verse number="1">Со паргӀат вац ткъа? Со векал а вац ткъа? Суна гина вацара вайн Веза Эла волу Ӏийса? Шу дац ткъа Везачу Эло соьгахула къахьегарца Цунна тӀе далийнарш?</verse>
				<verse number="2">Кхечарна со векал вацахь а, шуна ма ву со векал. ХӀунда аьлча со векал хиларан тоьшалла ду — шу Везачу Элаца хилар.</verse>
				<verse number="3">Сайн мах хадош болчарна дуьхьал даккха хӀара ду сан.</verse>
				<verse number="4">Яа а, мала а бакъо йоцуш-м дац тхо?</verse>
				<verse number="5">Кхиболчу векалша а, Ӏийсан нанас бинчу кхечу вежарша а, Кипас а санна, динан йижарех цхьацца тхаьшна яла а йина, тхайца цхьаьна уьш бига бакъо яцара тхан а?</verse>
				<verse number="6">Я аса а, Бар-Нааба а бен болх бан безаш бацара ткъа?</verse>
				<verse number="7">Муьлххачу тӀемалочо, ша эскарехь гӀуллакх дечу хенахь, ша-шен гӀайгӀа бо? Муьлхачу кемсашлелорхочо, кемсаш дӀа а йоьгӀна, церан стоьмаш ца боу? Муьлхачу Ӏуьно шен жена юкъарчу жийно елла шура ца молу?</verse>
				<verse number="8">Адамаша олучу тайпана хилла Ӏай те аса бохург? Изза ца боху товрат-хьехамаша а?</verse>
				<verse number="9">ХӀунда аьлча Муса-пайхамаран товрат-хьехамаш тӀехь яздина ду: «Оручу стеран бага дӀа ма къовла». Стерчийн бала кхаьчна аьллий те Дала иза?</verse>
				<verse number="10">Вайн бала а кхаьчна, ца боху ткъа Дала иза? Дера боху вайна диканна, хӀунда аьлча охана деш волчо а, оруш волчо а къахьоьгу, шаьш бинчу белхан дакъа шайна кхачаран дегайовхо йолуш.</verse>
				<verse number="11">Шун синошна оьшуш долу хӀу оха тесна хилча, тӀех зен дой те оха шуна, тхайн дегӀана оьшуш долу ялта шуьгара хьаькхча?</verse>
				<verse number="12">Кхечеран а шуна юкъахь иштта бакъонаш хилча, ткъа тхан церан чул а сов яц и бакъонаш? Амма оха, мелхо а, тхайн оцу бакъонашка а ца хьоьжуш, тхайна тӀе мел деанарг лов, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна болу хаза кхаъ дӀакхайкхош, тхайгахьара цхьа а новкъарло ца хилийтархьама.</verse>
				<verse number="13">Шуна хууш дац ткъа, Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш берш цига еанчух бехаш хилар? Ткъа сагӀа доккхучу кхерчана тӀехь гӀуллакх деш болчара а цу сагӀина деанчух дакъа шайна дӀаоьций?</verse>
				<verse number="14">Иштта хаза кхаъ кхайкхош болчарах лаьцна Везачу Эло тӀедиллина, хаза кхаъ кхайкхош кхаьчначух баха беза уьш аьлла.</verse>
				<verse number="15">Амма аса-м цу бакъонех цхьа а сайн дуьхьа аьлла схьа ца эцна. Сайн бала а кхаьчна, и бакъонаш сайна оьшучунна хилийтархьама яздина дац аса хӀара дешнаш. Суна валар а гӀолехь ду-кх, сан и дозалла дан йиш хилар цхьаммо соьгара дӀадоккхучул.</verse>
				<verse number="16">Айса хаза кхаъ кхайкхош бу аьлла, цхьа а дозалла ца до ас, хӀунда аьлча иза сан декхар ду. Ма декъаза хир вара со, аса хаза кхаъ кхайкхош бацахьара!</verse>
				<verse number="17">Аса, сайн лаам а болуш, и гӀуллакх деш делахьара, Делера совгӀат хир дара суна. Ткъа сайн лаамехь а доцуш, аса иза деш хилча, тӀаккха сайна тӀедиллина долу гӀуллакх кхочушдо аса.</verse>
				<verse number="18">Ткъа сан совгӀат муьлха ду? Айса хаза кхаъ дӀакхайкхабарна дуьхьал хӀумма а ца дехар. Цу тайпана, айса хаза кхаъ кхайкхочу гӀуллакх тӀехь сайна йогӀуш йолчу бакъонех цхьа а ца лелийна аса.</verse>
				<verse number="19">Массарах а паргӀат воллушехь, массарна а хьалха лолла вахана со, царах дукхахберш тӀеберзорхьама.</verse>
				<verse number="20">Жуьгтий болчохь со жуьгти санна вехира, уьш Дала леррина Къобалвинчунна тӀеберзорхьама. Товрат-хьехамийн бакъонаш ларъеш болчаьрца а бакъонаш ларйийриг санна вехира со, уьш а Цунна тӀеберзорхьама, цу бакъонийн лаамехь со воццушехь.</verse>
				<verse number="21">Товрат-хьехамийн бакъонаш лар ца еш болчаьрца — и бакъонаш лар ца еш верг санна хуьлура со, уьш а Цунна тӀеберзорхьама. ХӀетте а, Делан бакъонаш лар ца еш-м ца лелара со, Дала леррина Къобалвинчун бакъонашна со муьтӀахь волу дела.</verse>
				<verse number="22">Тешарехь чӀагӀбелла боцучаьрца чӀагӀвелла воцург санна хуьлура со, уьш тешарехь чӀагӀбархьама. Массарна а хьалха массо а санна хуьлура со, сайн мел долчу хьуьнаршца, царах цхьаберш баьхна а, кӀелхьарбахархьама.</verse>
				<verse number="23">И дерриг а хазачу кхоан дуьхьа до аса, со а цунах хиндолчу диканан декъахь хилийтархьама.</verse>
				<verse number="24">Шуна хууш дац къовсадаларшкахь бовдучу хенахь массо а цхьатерра бовдий, амма совгӀат царах цхьанна бен ца лой? Цундела шаьш довда ма-дезза довдалаш, и совгӀат шайна кхачийтархьама.</verse>
				<verse number="25">Оцу къовсамашкахь дакъа лоцуш болчара шаьш массо а хӀуманна тӀехь юхаузу. Уьш иштта лела, телхина дӀадер долу толаман таж шайна кхачийтархьама, ткъа вай иштта лела, ваьшна телхар доцу таж кхачийтархьама.</verse>
				<verse number="26">Цундела со, шена хьалха цхьа Ӏалашо хӀоттийна воцург санна, вада а ца воду, хӀаваана куьг детташ верг санна, лата а ца лета.</verse>
				<verse number="27">Мелхо а, аса, сайн дегӀ кхоа а ца деш, цунна тӀехь олалла до, кхечарна хаза кхаъ а кхайкхийна, со юьстахваьлла ца висархьама.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="10">
				<verse number="1">Динан вежарий! Вайн берриг а дай мархийн бӀогӀамо ларбина хилар а, хӀорда бухарчу лаьтта тӀехула чекхбевлла хилар а шуна дагадаийта лаьа суна.</verse>
				<verse number="2">Уьш берриш а, мархах а, хӀордах а чекх а бевлла, Мусаца цхьаьнакхетийтина.</verse>
				<verse number="3">Цара массара а цхьатерра болу синан кхача а биъна.</verse>
				<verse number="4">Иштта цара массара а цхьатерра синна оьшуш долу малар а мелла, хӀунда аьлча цара шайца лелош болчу тамашийначу тӀулгах схьадолу хи молура. Ткъа и ТӀулг бара — Дала леррина Къобалвинарг.</verse>
				<verse number="5">Амма царах дукхахболчарна Дела реза ца хилла, церан декъий яьссачу аренгахула дӀасадаржийна хилла.</verse>
				<verse number="6">И дерриг вайна масална хилла дара, вайн а, церан санна, вониг дан лаам ца хилийта.</verse>
				<verse number="7">Вайн дайх цхьаберш санна, цӀушна Ӏамал еш ма хилалаш. Делан Йозанаш тӀехь царах лаьцна яздина ду: «Адамаш яа а, мала а охьахевшира, тӀаккха шайн самукъадаккха хьалагӀевттира уьш».</verse>
				<verse number="8">Царах цхьаболчара лелийнарг а лелийна, сийсаза ма довла вай! Оцу цхьана дийнахь царах ткъе кхо эзар стаг хӀаллакьхилира.</verse>
				<verse number="9">Дела зе а гӀоьртина, лаьхьарчаша байина болу царах цхьаберш санна, вай а ма гӀерта Дала леррина Къобалвинарг зе.</verse>
				<verse number="10">Инкарлонаш йинчу царах цхьаболчарах ма тарлолаш — уьш мулкалмото хӀаллак ма бина.</verse>
				<verse number="11">Царна хилларг дерриг а вукхарна масал дало хиллера. Заманийн чаккхе тӀекхаьчначу хенахь Ӏен долчу вайга, дӀахьедар а деш, иштаниг ца дайтархьама яздина ду иза.</verse>
				<verse number="12">Цундела ша когаш тӀе ондда дӀахӀоьттина ву моьттуш верг охьавожарх ларвала веза.</verse>
				<verse number="13">Шуна тӀедеана долу зер массо а адамна тӀехӀуттуш дерг бен дац. Ткъа Дела тешаме ву, аша ловр доцург лур дац Цо шуна. Амма шу зуьйш долчу хенахь, тӀехӀотта онда бух лур бу Цо шуна, иза лан шун ницкъ хилийтархьама.</verse>
				<verse number="14">Иштта, сан хьоменаш, цӀушна Ӏамалъярх ларлолаш!</verse>
				<verse number="15">Аса кхетам болчаьрга санна боху шуьга. Шаьш а ойла ел аша, аса бохург нийса ду я дац.</verse>
				<verse number="16">Шеца Далла хастамаш а беш, Везачу Элан пхьуьйренехь лелош болу кад бац ткъа Дала леррина Къобалвинчун цӀийца вайн дакъалацар дийриг? Вай дохош долу бепиг а дац ткъа Дала леррина Къобалвинчун дегӀаца вайн дакъалацар дийриг?</verse>
				<verse number="17">Бепиг цхьаъ долу дела, дуккха а долу вай а цхьа дегӀ санна ду. Вай массо а цхьана баьпках дакъалоцуш ма ду.</verse>
				<verse number="18">Хьовсал Исраилан халкъе — царах сагӀина еана хӀума юуш берш а ца хуьлу ткъа берриге а цу сагӀа доккхучу кхерчана тӀейиллинчу сагӀина еанчу хӀуманан декъашхой?</verse>
				<verse number="19">ТӀаккха аса бохург хӀун ду? Дуй те иза цӀу цхьа хӀума ю бохург? Я цӀунна сагӀина еанарг а юй те цхьа хӀума ю аьлла хӀума?</verse>
				<verse number="20">Дац! Амма дин доцучара сагӀина яхьа хӀума, Далла а ца яхьаш, жинашна яхьа. Ткъа суна ца лаьа, аша жинашца дакъа а лоцуш, шу цаьрца тайна хила.</verse>
				<verse number="21">Аша молийла ма дац шинна а кедара: цкъа Везачу Элан кеда чуьра, тӀаккха жинийн кеда чуьра. Доийла ма дац аша цхьаьний Везачу Элан пхьор а, жинийн пхьор а.</verse>
				<verse number="22">Вай даьхьар дуй те Везачу Элан вайга эмгаралла хилийта? Цул а ницкъ болуш ду ткъа вай?</verse>
				<verse number="23">«Дерриг а дан бакъо ю вайн» — олуш ду. Иза бакъ хила там бу, амма массо а хӀума дац вайна пайдехь. «Дерриг а дан бакъо ю вайн». ХӀаъ, ю, амма оцу дерригено а синца чӀагӀ ца во.</verse>
				<verse number="24">Цхьаммо а ма лахалаш шайна пайдехь дерг, амма хӀораммо а кхиболчарна пайдехь дерг лахалаш.</verse>
				<verse number="25">Шайн эхь-бехке хьаьвссина, цхьа а хаттар ца деш, базарахь духкуш долу муьлхха а жижиг даа мегар ду аша.</verse>
				<verse number="26">Делан Йозанашкахь яздина ма ду: «Латта а, цу тӀехь мел дерг а Везачу Элан ду».</verse>
				<verse number="27">Нагахь Делах тешаш воцучу накъосто дуьйла а аьлла, шу и волчу дахча, цо шайга яа аьлларг, шайн эхь-бехке хьаьвссина, цхьа а хаттар ца деш яа.</verse>
				<verse number="28">Амма цхьаммо и юуш ерг цӀушна сагӀина еанчух ю алахь, тӀаккха шайга и аьллачун дуьхьа а, деган паргӀатонан дуьхьа а и юург ма яа.</verse>
				<verse number="29">Шун деган паргӀатонах а доцуш, ткъа вукхун паргӀатонах лаьцна боху аса иза. Ткъа сан паргӀато хӀун бахьанехь емалйина хила еза кхечун даго?</verse>
				<verse number="30">Нагахь аса, Далла баркалла а бохуш, и юург тӀеоьцуш хилча, аса баркалла баьхнарг бахьана долуш со емал хьан вийр вара?</verse>
				<verse number="31">Иштта шаьш юуш я молуш делахь а, я кхидолу муьлхха а гӀуллакх деш делахь а, Делан сийлаллин дуьхьа де.</verse>
				<verse number="32">Дуьхьало ма елаш жуьгташна а, грекахошна а, Делан долахь йолчу ерриге а Ӏийсах тешаш болчеран тобанна а,</verse>
				<verse number="33">амма, аса массарна а, массо а хӀуманна тӀехь царна луъург даре терра, лелалаш шу а. Сайна пайдехь дерг а ца лоьхуш, дукхахболчарна пайдехь дерг до аса, уьш а кӀелхьарбовлийтархьама.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="11">
				<verse number="1">Сох тера хила гӀерталаш, со а Дала леррина Къобалвинчух тера хила ма-гӀерттара.</verse>
				<verse number="2">Аса хастадо шу, даим а со шуна дагаварна а, аса шайна ма-даллара, аша ламасташ лардарна а.</verse>
				<verse number="3">Амма суна шуьга дӀахаийта лаьа, хӀора боьршачу стагана коьртехь верг Дала леррина Къобалвинарг хилар. Зудчунна коьртехь — майра ву. Ткъа Дала леррина Къобалвинчун коьртехь верг Дела ву.</verse>
				<verse number="4">ДоӀа дечу я Делера болу хаам бовзуьйтучу хенахь боьршачу стага коьрта тӀе хӀума тиллинехь, цо шен коьртана юьхьӀаьржо тӀейоуьйту.</verse>
				<verse number="5">Ткъа муьлххачу а, шен коьрта тӀехь хӀума а йоцуш, доӀа деш я Делера болу хаам бовзуьйтуш йолчу зудчо шен коьртана юьхьӀаьржо тӀейоуьйту. Иза корта баьшна йолчу зудчух тарло.</verse>
				<verse number="6">Нагахь зудчунна шен коьрта тӀе хӀума тилла ца лаахь, цо шен корта баша а мегар ду. Амма нагахь зудчунна шен корта баьшна я лергина хилча эхь хетахь, цо шен коьрта тӀе хӀума тилла еза.</verse>
				<verse number="7">Цхьана агӀор боьршачу стага шен коьрта тӀе хӀума тилла ца еза, ша Делан васт а, Цуьнан сийлалла а йолу дела. Вукху агӀор зуда шен майрачун сийлалла ю.</verse>
				<verse number="8">ХӀунда аьлча стаг зудчух вина вац, ткъа зуда ю стагах йина.</verse>
				<verse number="9">Стаг зудчун дуьхьа кхоьллина вац, амма зуда ю стеган дуьхьа кхоьллина.</verse>
				<verse number="10">Цундела зудчун коьрта тӀе тиллина хӀума хила еза, шена тӀехь долу олалла билгалдаккха а, маликашна хьалха а.</verse>
				<verse number="11">Делахь а, Везачу Элаца долчу вайн дахаре хьаьжжина, зуда а стаг воцуш хиларх хӀумма а дац, ткъа стаг а зуда йоцуш хиларх хӀумма а дац.</verse>
				<verse number="12">ХӀунда аьлча зуда стагах йина ма-хиллара, стаг а ву зудчо вина. Ткъа и дерриг а — Делера ду.</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха шаьш а ойла ел аша: оьзда хир дуй те, зудчо Деле доӀа дечу хенахь, цуьнан коьрта тӀе тиллина хӀума ца хилча?</verse>
				<verse number="14">Дуьненан Ӏаламо ша а ца хьоьху вайна, боьршачу стага шен месаш яхъялийтича, иза цунна шена юьхьӀаьржонна дуйла?</verse>
				<verse number="15">Ткъа зудчо еха месаш лелийча — цунна сийлахь ду, хӀунда аьлча еха месаш елла ю цунна, коьрта тӀе тиллина хӀума санна.</verse>
				<verse number="16">Цхьаболчарна-м цунах лаьцна соьца къовса а луург хир дара, амма, аса аьлларг доцург, кхин тайпана ламасташ дац я тхан а, я Делан долахь йолчу массо а Ӏийсах тешначийн тобанийн а.</verse>
				<verse number="17">Аса кхин а цхьа хӀума тӀедуьллу шуна. ХӀинца хаста а ца до ас шу, хӀунда аьлча шун гуламаша, диканиг дахьачун метта, вониг дахьа.</verse>
				<verse number="18">Цкъа хьалха аса сайна хезначух лаьцна эр ду. Шу цхьаьна гулделлачу хенахь шуна юкъахь декъадаларш хуьлу боху. Цунах со цхьажимма теша а теша.</verse>
				<verse number="19">(Цу тайпана долу декъадаларш хила а деза шун, шайна юкъара билггал тешаш берш гучубахархьама.)</verse>
				<verse number="20">Шаьш цхьаьна гуллучу хенахь, билггал Везачу Элан пхьор даа гулделча санна ца гулло шу.</verse>
				<verse number="21">ХӀунда аьлча шу шаьш еана йолу яа хӀума яа сихло. ТӀаккха цхьаберш меца буьсу, ткъа вуьш чагӀаро бахабо.</verse>
				<verse number="22">Юург яа а, мерг мала а шайн цӀенош дац те шун? Я Делан долахь йолчу массо а Ӏийсах тешначийн тобанах шу дешаш дац те? Я мисканаш дегаза хета те шуна? ХӀун ала деза те аса шуьга? Хастор дуй те ас шу и бахьанехь? Аса и гӀуллакхаш бахьанехь хастор дац шу.</verse>
				<verse number="23">ХӀунда аьлча аса Везачу Элера Шеггара схьаэцна айса шуна делларг. Шена ямартло йинчу буса Веза Эла волчу Ӏийсас, бепиг схьа а эцна,</verse>
				<verse number="24">Далла хастам а бина, иза декъа а декъна, элира: «ХӀара Сан дегӀ ду, шун дуьхьа дӀалун долу. Иштта делаш, Со дагалацархьама».</verse>
				<verse number="25">Уьш пхьор диъна бевлча, Цо, чагӀаран кад схьа а эцна, элира: «Сан цӀийца бинчу керлачу бертан кад бу хӀара. Шаьш иза мосазза молу, Со дагалацархьама, иштта делаш».</verse>
				<verse number="26">ХӀунда аьлча шаьш хӀара бепиг мосазза доу а, хӀара кад мосазза молу а, Веза Эла схьаваллалц, Цуьнан валар кхайкхадо аша.</verse>
				<verse number="27">Цундела нагахь цхьаммо хӀара бепиг даар а, Везачу Элан кад малар а лело хьакъ ма-дарра ца леладахь, иза Везачу Элан дегӀана а, Цуьнан цӀийна а дуьхьал къа латорна бехке хир ву.</verse>
				<verse number="28">Стага ша-шен зен веза, ткъа цул тӀаьхьа цо и бепиг а доийла, и кад а молийла.</verse>
				<verse number="29">ХӀунда аьлча нагахь санна цхьаммо, Дала леррина Къобалвинчун дегӀ а ца лоруш, юуш а, молуш а елахь, иза шена кхелана юуш а, молуш а ву.</verse>
				<verse number="30">Цундела шух дукхахдерш гӀораза а, цомгуш а хуьлу, цхьаберш бала а ле.</verse>
				<verse number="31">Нагахь вай ваьш зуьйш делахьара, Везачу Эло йийр яцара вайна кхел.</verse>
				<verse number="32">Ткъа вайна тӀехь Цо кхел еш хилча, вай нисдеш долу таӀзар хуьлу вайна, дуьненах кхечаьрца цхьаьна вайна кхел йина ца хилийтархьама.</verse>
				<verse number="33">Иштта, сан динан вежарий, шаьш Везачу Элан пхьор даа гулделча, вовшашка ладогӀалаш, и даа сих а ца луш.</verse>
				<verse number="34">Нагахь санна шух цхьаъ меца велахь, шайн цӀахь яа юург, гуламехь иза шуна кхелъярна ца хилийтархьама. Ткъа дисна гӀуллакхаш со дӀавеанчу хенахь нисдийр ду аса.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="12">
				<verse number="1">Ткъа хӀинца, динан вежарий, Делан Сино луш долчарах лаьцна эр ду ас. Суна ца лаьа, царах лаьцна дерг шуна ца хууш дуьсийла.</verse>
				<verse number="2">Шуна хаьа, шу Делах ца тешаш хиллачу хенахь, мотт ца хуучу цӀуша, шайгахьа а дерзош, тилийна лелийнийла.</verse>
				<verse number="3">Цундела аса шуьга боху, Делан Синехула ша бохуш волчу цхьаьнгге а алалур дац: «НеӀалт хуьлийла Ӏийсана». Иштта Делан Синехула олучуьнга бен, цхьаьнгге а алалур дац: «Ӏийса — Веза Эла ву».</verse>
				<verse number="4">ПохӀманаш тайп-тайпана ду, ткъа уьш лург — цхьа Са ду.</verse>
				<verse number="5">ГӀуллакхаш тайп-тайпана ду, ткъа уьш дойтург — цхьа Веза Эла ву.</verse>
				<verse number="6">Ницкъаш тайп-тайпана бу, ткъа дерриг а массарна а чохь дийриг — цхьа Дела ву.</verse>
				<verse number="7">Амма Делан Са гучудаккхар хӀоранна а луш ду, массарна а диканна хилийта.</verse>
				<verse number="8">Цхьанна хьекъал долу дош ло Делан Синехула, ткъа оццу Синехула вукхунна кхетаман дош ло.</verse>
				<verse number="9">Кхечунна оццу Синехула тешар ло. Ткъа кхин а цхьанна цу Сино адамаш тодан похӀма ло.</verse>
				<verse number="10">Вукхунна тамашийна гӀуллакхаш дан ницкъ ло. Кхечунна Делера болу хаамаш бан похӀма ло. Цхьаволчунна Делан Сино делларг жинаша деллачух къасто похӀма ло. Цхьаболчарна Делан Синера долу тайп-тайпана тамашийна меттанаш ло. Кхечу цхьанна оцу меттанаша бохург гочдар ло.</verse>
				<verse number="11">Ткъа и дерриг а оццу цхьана Делан Сино деш ду. Шена дала деза аьлла хеттачунна, схьа а хоржий, ло Цо уьш.</verse>
				<verse number="12">Адаман дегӀ масех меженах лаьтташехь, иза цхьа дегӀ хиларе терра, иштта Дала леррина Къобалвинарг цхьаъ хуьлу, Цуьнан дегӀ масех меженах лаьтташехь.</verse>
				<verse number="13">ХӀунда аьлча вайх хӀора а цхьана Делан Синах вуьзна вара, вайх массарах а цхьа дегӀ хилийтархьама. Вай жуьгтий я кхечу къаьмнех делахь а, леш я паргӀат адамаш делахь а, вайга хӀоранга а цхьана Синах малийтина дара.</verse>
				<verse number="14">Адамийн дегӀ, цхьана меженах хилла а ца Ӏаш, дуккха а йолчу меженех вовшахтоьхна ду.</verse>
				<verse number="15">Нагахь кого: «Со-м бац дегӀах, со куьг доцу дела», — алахь а, хӀетте а оцу дегӀан меже ца хилча ма ца болу иза.</verse>
				<verse number="16">Ткъа лерго: «Со бӀаьрг боцу дела, со-м дац оцу дегӀах», — аьлча а, оцу дегӀан меже ца хилча долий иза?</verse>
				<verse number="17">Нагахь дерриг а дегӀ беккъа бӀаьргех дина делахьара, муха хир дара цуьнан хазар? Ткъа дегӀ деккъа лергех дина делахьара, муха йогӀур яра хьожа?</verse>
				<verse number="18">Амма Дала дегӀан массо а меже Шена хила еза аьлла хеттачу меттехь дӀанисйина.</verse>
				<verse number="19">Нагахь дегӀ еккъа цхьана меженах дина делахьара, тӀаккха дегӀ муха хир дара?</verse>
				<verse number="20">Ма-дарра аьлча, дегӀан меженаш дуккха а ю, ткъа дегӀ — цхьаъ ду.</verse>
				<verse number="21">БӀаьрган а олийла дац куьйге: «Хьо суна ца оьшу». Я коьрто а когашка олийла дац: «Суна шу ца оьшу».</verse>
				<verse number="22">Мелхо а, адамна эгӀаза хеташ йолу дегӀан меженаш уггаре а оьшуш хуьлу.</verse>
				<verse number="23">Оцу кӀезиг хеташ йолчу дегӀан меженийн вай чӀогӀа ларам бо. Вешан бехке йолу меттигаш вай, эхь-бехк а хетий, дӀахьулйо.</verse>
				<verse number="24">Ткъа важа йолу меженаш дӀахьулъян а ца оьшу. Амма Дала шатайпа вовшахтесна дегӀан меженаш, сий дан оьшучу меженийн алссам сий а деш.</verse>
				<verse number="25">Иза ду, дегӀана чохь къастамаш ца байтархьама. Мелхо а, дегӀан меженаша вовшийн цхьатерра гӀайгӀа бан беза.</verse>
				<verse number="26">Нагахь дегӀан цхьана декъан лазам хилча, дерриг а дегӀан а лазам хуьлу. Нагахь дегӀан меженех цхьана меженна хастам бахь, вукхеран а цуьнца цхьаьна самукъадолу.</verse>
				<verse number="27">Цу тайппана, шу Дала леррина Къобалвинчун дегӀ ду, ткъа шух хӀора а цу дегӀан меже ю.</verse>
				<verse number="28">Динан тобанашкахь Дала цхьаберш векалш, вуьш пайхамарш, кхозлагӀнаш динан хьехамчаш бина дӀахӀиттийна. Цул сов, цхьаболчарна тамашийна гӀуллакхаш дан ницкъ белла, вукхарна адамаш тодан похӀма делла. Иштта уллорачарна гӀо дан похӀма а, урхаллин похӀма а, тамашийна мотт бийцаран похӀма а делла Цо.</verse>
				<verse number="29">Массо а буй те векалш? Берриш а буй те пайхамарш? Массо а хуьлий те хьехархой? Я массарах а хуьлий те тамашийна гӀуллакхаш дийраш?</verse>
				<verse number="30">Массеран ду ткъа адамаш тодаран похӀма? Массара а дуьйций те Делан Синерачу тамашийначу меттанашкахь? Массеран дуй ткъа и меттанаш гочдаран похӀма а?</verse>
				<verse number="31">Оцу похӀманел а сов долчу похӀманашна тӀекхийда шу. Ткъа аса оцу дерригенал а лакхара болу некъ гойтур бу шуна.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="13">
				<verse number="1">Нагахь санна аса адамийн я маликийн меттанашкахь къамел деш делахь а, амма сан безам бацахь, со зевне зурма я бекаш болу горгали санна хуьлу.</verse>
				<verse number="2">Нагахь санна Делера болу хаамаш баран похӀма сан делахь а, ерриге а къайленаш суна евзаш елахь а, мел болу кхетам сан белахь а, лаьмнаш а меттахдаххал тешар сан делахь а, амма сан безам бацахь, со хӀумма а вац.</verse>
				<verse number="3">Нагахь санна аса сайн берриг а бахам дӀабекъахь а, ур-атталла сайн дегӀ ас дагадайтахь а, амма сан безам бацахь, суна цунах цхьа а пайда ца хуьлу.</verse>
				<verse number="4">Безам собаре а, дика а хуьлу. Безамца хьагӀ а ца хуьлу. Безамо дозалла а ца до, иза кура а ца хуьлу.</verse>
				<verse number="5">Безамо лело ца дезарг ца леладо, шена пайден дерг ца лоьху, атта оьгӀаз ца оьху, шена дина вон дагар ца до.</verse>
				<verse number="6">Безам харцдолчух боккха ца боь, ткъа цунна бакъдерг хазахета.</verse>
				<verse number="7">Безамо доллу хӀума а ловш хуьлу, массо а хенахь цуьнца тешар а хуьлу, гуттара а цуьнца сатийсар а хуьлу, массо а хенахь цуьнца садеттар а хуьлу.</verse>
				<verse number="8">Безам цкъа а хедар бац. Делера болчу хаамех аьлча, уьш кхачор бу. Синера долчу меттанех аьлча, уьш совцор ду. Дала беллачу кхетамах аьлча, иза дӀабоккхур бу.</verse>
				<verse number="9">ХӀунда аьлча вайн кхетам кхоччуш болчу барамехь ца хуьлу, ткъа Делера болу хаамаш кхоччуш буьззина ца хуьлу.</verse>
				<verse number="10">Ткъа кхачамалла йолу хан еача, кхоччуш болчу барамехь цахилларг дӀадоккхур ду.</verse>
				<verse number="11">Со жима бер долчу хенахь, аса жимачу беро санна дийца а дуьйцура, ойланаш а йора. Жимачу беран санна кхетам а бара сан. Ткъа хӀинца со стаг а хилла дӀахӀоьттича, берийн хӀуманаш дитина аса.</verse>
				<verse number="12">Цкъа хӀинца-м вайна дерриге а гӀийла гойтуш долчу куьзганехула санна го. Ткъа цу хенахь юьхь-дуьхьал гур ду вайна. Цкъа хӀинца-м сан кхетам кхоччуш бац, ткъа цу хенахь сан кхоччуш довзар хир ду, со Далла вевзаш ма-хиллара.</verse>
				<verse number="13">Цкъа хӀинца долуш дерг хӀара кхоъ ду: тешар, сатийсар, безам. Ткъа безам царах уггаре а лакхара бу.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="14">
				<verse number="1">Шайна чохь безам хилийта гӀерта. Делан Сино луш долчунна тӀекхийда — уггаре а чӀогӀа дезаш хилалаш Делера болу хаамаш бар.</verse>
				<verse number="2">ХӀунда аьлча тамашийначу маттахь къамел дечо адамашка ца дуьйцу, цо Деле дуьйцу. Цо дуьйцучух цхьа а ца кхета, ткъа иза Делан Синехула къайленаш юьйцуш ву.</verse>
				<verse number="3">Делера хаамаш бечо адамашка дуьйцу, уьш синца чӀагӀбархьама а, иракарахӀитторхьама а, тебархьама а.</verse>
				<verse number="4">Тамашийнчу маттахь къамел дийриг шен синца чӀагӀло, ткъа Делера болу хаамаш бечо динан тоба чӀагӀйо.</verse>
				<verse number="5">Аша массара а тамашийначу меттанашкахь дуьйцийла лаьа суна. Амма кхин а сов лаьа суна, Делера болу хаам аша бойла, хӀунда аьлча Делера болу хаамаш бийриг пайдехь ву оцу меттанашкахь дуьйцуш волчул а. И дуьйцург, цо ша гочдича бен, пайденна хир дац, динан тоба цу дуьйцучуьнца чӀагӀъяйтархьама.</verse>
				<verse number="6">Динан вежарий, нагахь со шу долчу а веана, аса тамашийначу меттанашкахь дийцича, шуна хӀун пайда хуьлу, нагахь и дуьйцуш дерг Дала довзийтина хӀума а дацахь, я Дала белла кхетам иза бацахь, я Цуьнгара болу хаам иза бацахь, я хьехам бацахь?</verse>
				<verse number="7">Ойла ехьа, са доццушехь, чуьра аз долучу хӀуманийн. Масала, дечиг-пондаро я шедаго тайп-тайпана аьзнаш долуьйтуш ца хилча, локху мукъам муха къасталур бу те?</verse>
				<verse number="8">Нагахь санна турби чуьра долу аз къаьсташ ца хилча, хьан бийр бу тӀамана бан беза кечам?</verse>
				<verse number="9">Иштта аша а, тамашийна мотт а буьйцуш, кхетаме хаам ца бича, муха кхетор ву шаьш дуьйцучух? Аша дуьйцург, мохе дуьйцуш санна, эрна хир ду.</verse>
				<verse number="10">Мел дукха ду-кх дуьнен чохь тайп-тайпана меттанаш, царах цхьа а бац шен маьӀна доцуш.</verse>
				<verse number="11">Цундела суна оцу меттан маьӀна ца хиъча, кхечу къомах волуш санна хир ву со и буьйцуш волчунна, ткъа и мотт буьйцург кхечу къомах верг санна хир ву суна.</verse>
				<verse number="12">Иштта шу а, Делан Са шайгахула гучудаккха шаьш гӀерта дела, динан тобанна чӀагӀонна Цо луш долчу похӀманийн дикалла совъяккха хьовсалаш.</verse>
				<verse number="13">Цундела тамашийначу меттанашкахь дуьйцуш волчо, ша дуьйцург гочдан хаар деха Деле.</verse>
				<verse number="14">ХӀунда аьлча аса тамашийначу маттахь доӀа деш хилча, Делан Сино сан синехула доӀа до, амма сан хьекъална иза пайденна дац.</verse>
				<verse number="15">ТӀаккха аса хӀун дан деза? Аса сайн синца доӀа дийр ду, амма сайн хьекъалца а дийр ду ас иза. Сайн синца а, иштта сайн хьекъалца а эр ду аса Далла иллеш.</verse>
				<verse number="16">ХӀунда аьлча, ахьа Далла баркалла Цуьнан Синехула олуш хилча, ахьа дуьйцург шена хӀун ду ца хиъча, хӀокху гуламехь волчу хийрачу стага муха эр ду ахь аьллачу баркаллина: «Амин»?</verse>
				<verse number="17">Ахьа Далла олу баркалла тоъал дика хила а там бу, амма гуламехь волчу кхечунна цунах синца чӀагӀвалар ца хуьлу.</verse>
				<verse number="18">Тамашийнчу меттанашкахь аша массара а дуьйцучул сов айса дийцарна, аса хастам бо Далла.</verse>
				<verse number="19">Амма суна гӀолехь хета, динан тоба гулъеллачу хенахь, сайн хьекъалца пхи дош алар кхечарна хьехам бархьама, тамашийначу маттахь итт эзар дош олучул.</verse>
				<verse number="20">Динан вежарий! Берийн санна, ойла йолуш ма хилийша! Вониг дарна тӀехь хилийша бераш санна, амма шайн ойланца даккхий хилийша!</verse>
				<verse number="21">Товрат-хьехамаш тӀехь яздина ду: «Кхин меттанаш дуьйцуш болчаьргахула а, хийрачу махкахойн баганехула а къамел дийр ду Аса цу халкъаца — боху Везачу Эло, — амма тӀаккха а ладугӀур дац-кх цара Соьга».</verse>
				<verse number="22">Иштта, тамашийначу меттанашкахь дийцар — билгало ю, амма и билгало, Ӏийсах тешаш болчарна а йоцуш, тешаш боцучарна ю. Ткъа Делера болу хаамаш хилар а цхьа билгало ю, амма и билгало, тешар доцучарна а доцуш, тешаш болчарна ю.</verse>
				<verse number="23">Нагахь берриг а динан гулам цхьаьна а кхетта, аша массара а тамашийначу меттанашкахь къамел дечу хенахь, шу долчу хийра нах я Ӏийсах цатешарш чубаьхкича, шу хьерадевлла аьлла хетар-м дац те царна?</verse>
				<verse number="24">Нагахь массара а Делера болу хаамаш бечу хенахь, шу долчу Ӏийсах цатешарг я хийра стаг чувеача, цунна хезначу дерригено а цунна къинош гучу а дохур ду, кхел а йийр ю.</verse>
				<verse number="25">Оцу чувеанчу стеган деган къайленаш массарна гучуевр ю. ТӀаккха цо, гора а хӀоьттина, Далла Ӏибадат а деш, эр ду: «Шуна юкъахь билггал Дела ву!»</verse>
				<verse number="26">Сан динан вежарий! ЖамӀ а деш, суна ала луург хӀара ду. Шу цхьаьна гуламе гулделча, шун хӀораннан а хуьлу я назма, я хьехам, я Дала довзийтина хӀума, я тамашийначу маттахь болу хаам, я шух цхьаммо цу хааман маьӀна дуьйцу. Аша мел дийриг а шун динан тобанан чӀагӀонна хуьлийла.</verse>
				<verse number="27">Нагахь шух цхьаъ тамашийначу маттахь дийца воллуш велахь, тӀаккха аша шиммо, я уггар дукха кхааммо роггӀана дийца, ткъа кхечу цхьаммо аьлларг гочде.</verse>
				<verse number="28">Нагахь санна гочдийриг шайна юкъахь вацахь, тамашийначу маттахь дуьйцуш верг динан тобанан гуламехь вист ма хилийта, цуьнга шена а, Далла а бен ма дийцийта.</verse>
				<verse number="29">Пайхамарех шиммо я кхааммо Делера болу хаам бан беза, ткъа вукхара цара бохург талла деза.</verse>
				<verse number="30">Нагахь шух хиъна Ӏаш волчу цхьанна Дала хӀума довзуьйтуш делахь, хӀинцца дуьйцуш хилларг, вист а ца хуьлуш, саца.</verse>
				<verse number="31">ХӀунда аьлча массеран а йиш ю Делера болу хаам рогӀехь ала. Цу тайпана массо а Ӏемар а бу, уьш иракарахӀиттор а бу.</verse>
				<verse number="32">Пайхамаршна чуьра синош цу пайхамаршна муьтӀахь хуьлу.</verse>
				<verse number="33">ХӀунда аьлча Дела низам цахиларан Дела вац, Иза синтеман Дела ву. Иштта хуьлу Делан долахь болчеран ерриге а динан тобанашкахь.</verse>
				<verse number="34">Зударий гуламашкахь тийна хила беза. Царна бистхила ца магадо. Товрат-хьехамаш тӀехь ма-аллара, уьш муьтӀахь хила беза.</verse>
				<verse number="35">Нагахь санна шайна цхьа хӀума хаа лаахь, цара цӀахь шайн майранашка хатта деза цунах лаьцна, хӀунда аьлча эхье ду зуда динан тобанийн гуламашкахь йистхилар.</verse>
				<verse number="36">Делан дош шуьгара схьадаьлла ткъа? Я шуна бен ца довзийтина иза?</verse>
				<verse number="37">Ша пайхамар ву бохучунна я Делан Сино луш дерг шен долчунна хаа деза, аса шайга яздеш дерш Везачу Элан весеташ дуйла.</verse>
				<verse number="38">Нагахь цхьаммо иза тӀе ца эцахь, иза ша а тӀеэцна хир вац.</verse>
				<verse number="39">Иштта, динан вежарий, Делера болу хаамаш бар дезаш хилалаш! Тамашийнчу меттанашкахь дийцар а ма дехка.</verse>
				<verse number="40">Дерриге а оьзда а, низам долуш а леладе.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="15">
				<verse number="1">ХӀинца, динан вежарий, айса хьехна болу хаза кхаъ шуна дагабаийта лаьа суна. Шу, иза тӀе а эцна, цу тӀехь дӀахӀиттира.</verse>
				<verse number="2">Цу хазачу кхоэхула шу а кӀелхьардохуш ду, нагахь аса кхайкхийна кхаъ ма-бохху аша ларбахь. Иза кхечу тайпана хилча, шу цунах эрна тешнера.</verse>
				<verse number="3">ХӀунда аьлча аса тӀеэцна болу а, шуна дӀабелла болу а уггар коьрта хьехам иштта бу: Делан Йозанаша ма-аллара, Дала леррина Къобалвинарг вайн къиношна тӀера велла.</verse>
				<verse number="4">Иза дӀа а воьллира, ткъа кхозлагӀчу дийнахь, Делан Йозанаш тӀехь яздина ма-хиллара, ден а вира.</verse>
				<verse number="5">Цул тӀаьхьа Иза, Кипина а, тӀаккха шийтта векална а хьалха веана, дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="6">Цул тӀаьхьа Иза цхьана хеннахь пхеа бӀеннал сов болчу динан вежаршна хьалха дӀахӀоьттира. Царах дукхахберш хӀинца а дийна бу, ткъа цхьаберш дӀа а кхелхина.</verse>
				<verse number="7">ТӀаккха Иза, Якъубана хьалха а веана, дӀахӀоьттира. Цул тӀаьхьа, массо а векалшна хьалха а веана, дӀахӀоьттира Иза.</verse>
				<verse number="8">Уггар а тӀаьхьа, хеназа дуьнен чу даьлла бер санна волчу суна хьалха а веана, дӀахӀоьттира Иза.</verse>
				<verse number="9">Ткъа векалех уггаре а кӀезигниг волу со-м векал ву ала хьакъ долуш а вац, хӀунда аьлча Делан долахь йолу, ерриге а Ӏийсах тешначийн тоба хӀаллакьян тӀаьхьаваьлла леллера со.</verse>
				<verse number="10">Амма Делан дика бахьанехь хӀинца со волуш верг хилла сох. Ткъа суна лерина Цуьнан дика а эрна ца хилла. Аса цара массара а хьегначул сов къахьегна. (Бакъду, иза аса ца динера, соьца долчу Делан дикано динера.)</verse>
				<verse number="11">Иштта, иза я со велахь а, я важа векалш белахь а, оха массара а шуна хьоьхург цхьаъ ду, ткъа шу цунах теша а тешна.</verse>
				<verse number="12">Нагахь оха, Дала леррина Къобалвинарг веллачуьра денвина бохуш, хьехамаш беш хилча, шух цхьаболчара муха олу веллачуьра денвалар ца хуьлу?</verse>
				<verse number="13">Веллачуьра денвалар хуьлуш ца хилча, Дала леррина Къобалвинарг а ма ца хуьлу веллачуьра денвина?</verse>
				<verse number="14">Дала леррина Къобалвинарг денвина ца хилча, тхан хьехамаш а эрна хуьлу, шун тешар а хуьлу эрна.</verse>
				<verse number="15">Цул сов, оха Делах лаьцна харцтоьшаллаш деш хилар гучудер дара. ХӀунда аьлча оха Делах лаьцна тоьшалла дира, Ша леррина Къобалвинарг Цо веллачуьра денвина аьлла. Амма нагахь санна белларш денбийр бацахьара, Цо Иза веллачуьра денван ца тарлора.</verse>
				<verse number="16">Нагахь белларш денбеш ца хилча, тӀаккха Дала леррина Къобалвинарг а денвина ца хуьлу.</verse>
				<verse number="17">Ткъа нагахь Дала леррина Къобалвинарг денвина вацахьара, шун тешар а эрна хир дара, шу а шайн къиношлахь хир дара.</verse>
				<verse number="18">ТӀаккха, Дала леррина Къобалвинчуьнца а болуш, белларш а ма хуьлу хӀаллак?</verse>
				<verse number="19">Нагахь Дала леррина Къобалвинчух долу вайн тешар вай кху дуьнен чохь дехаш долччу ханна бен дацахьара, массо а адамал уггаре а декъаза адамаш хир дара вай.</verse>
				<verse number="20">Делахь а, беллачарна юкъара болу дуьххьарлера стом санна, Дала леррина Къобалвинарг веллачуьра ден ма вина.</verse>
				<verse number="21">Валар адамехула деана долу дела, веллачуьра денвалар а хуьлу адамехула.</verse>
				<verse number="22">Дерриг а адам, Адамца доьзна хиларна, лийриг хиларе терра, Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна хиларна дерриг а адам дендийр ду.</verse>
				<verse number="23">Амма хӀораннан а шен-шен рагӀ хир ю. Дала леррина Къобалвинарг денбинчарах дуьххьарлераниг ву. ТӀаккха Иза схьавеача, Цуьнан долахь берш а денбийр бу.</verse>
				<verse number="24">Цул тӀаьхьа, Дала леррина Къобалвинчо стигалара массо а куьйгалхой а, ницкъаш а, олахой а хӀаллак а бина, Да волчу Деле паччахьалла дӀаделча, дуьненан чаккхе хир ю.</verse>
				<verse number="25">ХӀунда аьлча Цо паччахьалла дан дезар ду, Дала леррина Къобалвинчун массо а мостагӀий Дала Цуьнан когашка охьабахккалц.</verse>
				<verse number="26">Ткъа валар уггаре а тӀаьххьара мостагӀа санна хӀаллакдийр ду.</verse>
				<verse number="27">ХӀунда аьлча, Делан Йозанаша ма-бохху, «Цо массо а хӀума Цуьнан когашка охьадиллина». Ткъа вай-м кхета «массо а хӀума» Цуьнан когашка охьадиллина бохург, Дела воцург, массо а хӀума дуйла.</verse>
				<verse number="28">Массо а хӀума Дала леррина Къобалвинчун дола дӀаделча, КӀанта Ша а дӀалур ву Делан дола, Шен кара дерриг а делла волу Дела массанхьа а массо а хӀуманна тӀехь Олахо хилийтархьама.</verse>
				<verse number="29">Иштта, белларш денлуш ца хилча, беллачеран дуьхьа шаьш хих чекхдохуьйтучара дийриг хӀун ду? Нагахь белларш баккъалла а денбийрг ца хилча, беллачеран дуьхьа шаьш хих стенна чекхбохуьйту цара?</verse>
				<verse number="30">Вай а хӀора сахьтехь ваьш кхерамечу хьола хӀунда хӀуьттуьйту?</verse>
				<verse number="31">Ва динан вежарий! Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца шу хиларна, сайн долчу дозаллица чӀагӀо йо ас, со хӀора дийнахь леш ву аьлла.</verse>
				<verse number="32">Нагахь Эпасехь со адамийн сатийсарца бен «акхаройх» таса ца велча, суна хӀун пайда хир бара? Нагахь беллачийн денбар хуьлуш ца хилча, тӀаккха: «Юушший, молушший Ӏей вай, кхана вай лийр долу дела!»</verse>
				<verse number="33">Ма Ӏехалолаш, вежарий! «Вочу накъосто дика амал талхайо».</verse>
				<verse number="34">Шаьш хила ма-дезза метта а дуьйлий, къинош леточуьра совца. Ткъа шуна эхь хетийта эр ду ас: шух цхьаболчарна Дела вовза а ца вевза.</verse>
				<verse number="35">Цхьаммо хатта тарло: «Белларш муха денбо? Церан дегӀ муха хир ду?» — аьлла.</verse>
				<verse number="36">ХӀай сонтаниг! Ахьа дӀадийна хӀу дендийр ма дац, иза цкъа ша делча бен.</verse>
				<verse number="37">Ахьа лаьттах хӀу дӀадоьчу хенахь, ялтин хиндолчу куьцехь дӀа ма ца доь ялта. Амма дерзина тӀедолу хӀу дӀадоь ахьа, иза муьлхха делахь а, я кӀен, я кхечу ялтин.</verse>
				<verse number="38">ТӀаккха оцу хӀух хиндерг, Шена хеттачу куьцехь, Дала Ша кхуллу. Цо хӀора а хӀуьнан цуьнан шен бен доцу куц кхуллу.</verse>
				<verse number="39">ХӀора шена чохь са долчу хӀуманан дегӀ тайп-тайпана ду. Адамийн дегӀ шатайпана ду. Дийнатийн дегӀ кхечу тайпана ду. ЧӀерийн а, олхазарийн а церан шайн бен доцу дегӀ ду.</verse>
				<verse number="40">Иштта стигалшкахь а, лаьттахь а шатайпана догӀмаш хуьлу. Амма стигалшкарчу догӀмийн хазалла шатайпана ю, ткъа лаьттарчу догӀмийн хазалла кхечу тайпана ю.</verse>
				<verse number="41">Малхан шен хазалла ю, ткъа беттан, седарчийн хазалла шатайпана ю. Седарчий а шен-шен хазаллица вовшех къастало.</verse>
				<verse number="42">Иштта белларш а хуьлу, уьш денбелча. Лаьттах дӀадийна долу дегӀ телхина дӀадолу, ткъа дендийр долу дегӀ телхар дац.</verse>
				<verse number="43">Лаьттах а дохуьйтуш, дӀадоьчу хенахь дегӀ сийсаза хуьлу, ткъа дендечу хенахь иза хазаллех дуьзна хир ду. ДӀадоьчу хенахь дегӀ эгӀаза хуьлу, ткъа дендечу хенахь иза ницкъ болуш хир ду.</verse>
				<verse number="44">Кху дуьненахь денделла дегӀ дӀадуьйш ду, ткъа вукху дуьненна лерина долу дегӀ дендийр ду. Нагахь кху дуьненна лерина долу дегӀ хилча, вукху дуьненна долу дегӀ а хуьлу.</verse>
				<verse number="45">Делан Йозанаш тӀехь аьлла ма ду: «Дуьххьарлера адам хилла волу Адам, чу са а дуьллуш, денвелира». Ткъа тӀаьххьара волу Адам адамаш дендо са ду.</verse>
				<verse number="46">Кху дуьнен чу дуьххьара деанарг дендийриг дац. Мелхо а, кху дуьненахь денделларг цкъа хьалха деана ду, ткъа цул тӀаьхьа дендийриг деара.</verse>
				<verse number="47">Дуьххьарлера адам, поппарх дина а долуш, кху дуьненара ду. ШолгӀа адам стигалшкара ду.</verse>
				<verse number="48">Кху дуьненара массо а адам лаьттарчу поппарх дина адам санна ду. Амма стигалшна билгалдаьккхина массо а адам Стигалшкарниг санна ду.</verse>
				<verse number="49">Лаьттарчу поппарх вина волчун вастехь вай ма-хиллара, стигалшкарчун вастехь а хир ду вай.</verse>
				<verse number="50">Динан вежарий! Аса хӀара эр ду шуьга: шайна чохь дилха а, цӀий а долуш долу вайн догӀмаш Делан Олалле кхача йиш яц. Ткъа иштта телхина дӀадолург телхар доцучуьнга кхача йиш яц.</verse>
				<verse number="51">ЛадогӀалаш, къайлаха долу цхьа бакъдерг довзуьйту ас шуна: вай дерриш а лийр дац, амма вай дерриш а хуьйцур ду.</verse>
				<verse number="52">Иза хир ду цӀеххьана, бӀаьрган негӀар а тохале, турбано тӀаьххьара зурма лекхча. Турбано зурма ма-леккхи, белларш телхар боцучу тайпана ден а бийр бу, ткъа вай хуьйцур а ду.</verse>
				<verse number="53">ХӀара телхар долу дегӀ телхар доцучу тайпана хила дезар ду. Ткъа лен долу дегӀ, цкъа а лийр доцуш хилла, дӀахӀотта дезар ду.</verse>
				<verse number="54">ТӀаккха хӀара телхар долу дегӀ телхар доцучу тайпана а хилча, ткъа хӀара лен долу дегӀ цкъа а лийр доцуш дӀа а хӀоьттича, кхочушхир ду Делан Йозанаш тӀехь яздинарг: «Ӏожалла дӀа а кхаьллина, толам баьккхина».</verse>
				<verse number="55">«Ӏожалла, мичахь бу хьан толам? Мичахь ю, Ӏожалла, хьан ю?»</verse>
				<verse number="56">Ӏожаллин ю къино ло. Ткъа къинан ницкъ товрат-хьехамашкахь бу.</verse>
				<verse number="57">Хастам бу Дала леррина къобалвинчу вайн Веза Эла волчу Ӏийсагахула вайна толам лучу Далла!</verse>
				<verse number="58">Сан хьоме динан вежарий! ЧӀагӀлой а хилалаш, меттах ца довлуш а латталаш. Шаьш Везачу Элана лерина деш долчу гӀуллакхех дуьззина хилалаш, хӀунда аьлча шуна хаьа, шаьш Везачу Элаца доьзна долу дела, аша мел деш долу гӀуллакх эрна довр доцийла.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="16">
				<verse number="1">Делан нахана аша дала деза ахча гулдеш долу гӀуллакх, галатахойн динан тобанашна аса ма-хьеххара, леладе.</verse>
				<verse number="2">ХӀора кӀиранан дуьххьарлерчу дийнахь шух хӀораммо а, шайна карадеанчу ахчане хьаьжжина, цунах цхьадолу дакъа Ӏалашде, со дӀавеанчу хенахь ахча гулдар оьшуш ца хилийтархьама.</verse>
				<verse number="3">Со дӀавеанчул тӀаьхьа, аша къобал мел винарг аса Ярушалаймехь йолчу тобанан куьйгалхошна деша леринчу айса яздинчу кехаташца цхьаьна цига дӀахьажор ву, и гулдинарг цаьрга дӀадалийтархьама.</verse>
				<verse number="4">Нагахь сан Ярушалайме дӀавар диканца хилахь, уьш соьца дӀабогӀур бу.</verse>
				<verse number="5">Македон-махкахула чекхваьлча, со шу долчу вогӀур ву, хӀунда аьлча сан Македонехула ван ойла ю.</verse>
				<verse number="6">Шу долчохь со жимма соцур ву, аса Ӏа даккха а тарло шуьца. Цул тӀаьхьа аса шуьга со новкъа воккхуьйтур ву, мичча ваха дезаш иза делахь а.</verse>
				<verse number="7">ХӀунда аьлча тӀехволлушехь шу гина Ӏа ца лаьа суна. Везачу Эло сайна пурба лахь, шуьца дикка хан яккха лаьа суна.</verse>
				<verse number="8">Жуьгтийн «ШавуӀот» цӀе йолу ялта чудерзоран дезде тӀекхаччалц Ӏийр ву со Эпасехь.</verse>
				<verse number="9">Суна дуьхьалбевлларш дукха белахь а, хаза кхаъ дӀакхайкхо кхузахь йоккха а, шуьйра а неӀ дӀайиллина ю суна.</verse>
				<verse number="10">Нагахь шу долчу Тимапи вагӀахь, цунна цхьанна а агӀор кхерам ца хилийта хьовсалаш, хӀунда аьлча цо дийриг а, ас ма-дарра, Везачу Элана лерина гӀуллакх ду.</verse>
				<verse number="11">Цундела цхьа а цунах ца вешаш ма хилалаш. ТӀаккха иза гӀоза-маьрша новкъа ваккха, со волчу ван цуьнан таро хилийтархьама. Иза кхечу динан вежаршца цхьаьна схьаваре хьоьжуш ву со.</verse>
				<verse number="12">Вайн динан ваша волу Апа-Леса шу долчу кхочийла чӀогӀа лиира суна. Амма иза кхоччуш къар ца велира, цкъа хӀинца шу долчу дӀа ца веача. Иза, шен йиш ма-хилли, дӀавогӀур ву.</verse>
				<verse number="13">Шу сема хилалаш, шайн тешарехь чӀагӀлой Ӏелаш, доьналла долуш а, майрра а латталаш.</verse>
				<verse number="14">Аша массо а хӀума безамца деш хила деза.</verse>
				<verse number="15">Шуна массарна а бевза Сетипанан доьзал. Ахаехь болчу Ӏийсах тешначарна юкъахь уьш дуьххьарлерачарах буйла а хаьа шуна. Цара шайн дегнаш Делан нехан гӀуллакх дарна тӀедерзийна. Цундела аса доьху шуьга, динан вежарий,</verse>
				<verse number="16">уьш санна болчу нахана а, цаьрца цхьаьна гӀуллакх деш а, къахьоьгуш а мел болчарна а муьтӀахь хилалаш.</verse>
				<verse number="17">Сетипан, Партунат, Ахайк со волчохь хилар суна чӀогӀа хазахета. Шу суна юххехь ца хиларна, цара, шун метта гӀо дора суна.</verse>
				<verse number="18">Цара сан а, шун а синош иракарахӀиттийра. Уьш санна болчеран ларам белаш.</verse>
				<verse number="19">Асиа-махкарчу динан тобанаша маршаллаш доуьйту шуьга. Ӏакхилас а, ПхьаьрскӀилата а, церан цӀерачу динан тобанехь болчара а мерза маршаллаш доуьйту шуьга, шаьш, шу санна, Везачу Элан долахь хиларна.</verse>
				<verse number="20">Массо а динан вежарша а маршаллаш доуьйту шуьга. Доггах вовшашка маршалла хатта.</verse>
				<verse number="21">Аса, ПахӀала, сайн куьйган йозанца дӀадоуьйту шуьга и маршаллаш.</verse>
				<verse number="22">Нагахь Веза Эла ца везаш цхьаъ велахь, неӀалт хуьлийла цунна. Марана-тхьа. Волахь, вайн Веза Эла!</verse>
				<verse number="23">Веза Эла волчу Ӏийсан дика хуьлийла шуьца.</verse>
				<verse number="24">Сан безам а хуьлийла шуьца массаьрца а, Дала леррина Къобалвинчу Ӏийсан долахь вай долу дела.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="47">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">Делан лаамца Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан векал волчу ПахӀала а, вайн динан вашас Тимапис а, Делан долахь йолчу, Ӏийсах тешачеран Коринтерачу тобане а, берриге Ахай-махкахула Ӏаш болчу массо а Делан долахь болчаьрга а яздо хӀара кехат.</verse>
				<verse number="2">Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а долу дика а, синпаргӀато а хуьлийла шуна.</verse>
				<verse number="3">Декъала хуьлда вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан Да волу Дела. Иза къинхетаман Да а ву, массо а тайпанчу синтеман Дела а ву.</verse>
				<verse number="4">Цо вайн муьлххачу а гӀайгӀанехь вайна синтем ло, Цо вайна беллачу оцу синтемца муьлххачу а гӀайгӀанехь болчу кхечарна а вайгахула синтем хилийтархьама.</verse>
				<verse number="5">Дала леррина Къобалвинчуьнца вай боькъуш болу Цуьнан лазамаш алсамбийларе терра, Цо вайна луш болу синтем а алсамбуьйлу.</verse>
				<verse number="6">Оха баланаш хьоьгуш хилча — иза шун синтеман а, кӀелхьардовларан а дуьхьа ду. Тхо догъоьцуш хилча — иза шун синтеман дуьхьа ду, хӀунда аьлча оцу синтемо шуна чохь доьналла кхуьуьйту, оха хьоьгуш болу баланаш шуьга а хьегийтархьама.</verse>
				<verse number="7">Тхо чӀогӀа тешна ду шух, хӀунда аьлча тхуна хаьа, нагахь оха хьоьгу баланаш шуьца бекъалуш хилча, тхан деган синтем а бекъало шуьца.</verse>
				<verse number="8">Динан вежарий, оха Асиа-махкахь хьегна баланаш шуна ца бовзуьйтуш Ӏан ца лаьа тхуна. Тхаьш дийна дуьсур дац моттал холчу хӀиттийнера тхо. Уьш лан тхан ницкъ ца кхаччал, сов баккхий бара и баланаш.</verse>
				<verse number="9">Тхайн дагахь-м тхаьшна даларан кхел йина моьттуш дара тхо. Иза хиллера, тхо тхайх тешна а доцуш, амма белларш а юхаденбеш волчу Делах тешна хилийтархьама.</verse>
				<verse number="10">Дала оцу даларан боккхачу кхерамах кӀелхьардехира тхо, Цо кӀелхьардохур а ду. ХӀинца чул тӀаьхьа а Цо кӀелхьардохур ду аьлла, тешна а ду тхо.</verse>
				<verse number="11">Тхуна тӀера доӀанаш а деш, цу гӀуллакха тӀехь аша гӀо до тхуна. Иштта, дукхахболчу наха деш долчу доӀанашка Дала ладогӀарна, Цо тхо декъалдийр ду. Ткъа цундела дуккха а долчу халкъо Далла хастамаш бийр бу.</verse>
				<verse number="12">Оха дозалла а до, тхан дегнаша тоьшалла а до, дуьнен тӀехь тхо лелар а, шуьца йолу юкъаметтиг а Далла хьалха догцӀена а, хӀумма а къайла ца доккхуш а хилла аьлла. Ткъа иза адаман хьекъалца а доцуш, Делера долчу диканца дара.</verse>
				<verse number="13">13-14 Цундела и кехат дешча, шу кхетар доцу хӀума ца яздо оха. Сан дегайовхо ю, цхьадолчух-м шу хӀинцале а кхетта хиларе терра, шу тхох кхоччуш кхетарг хиларх, вайн Веза Эла волчу Ӏийсан дийнахь оха шух дозалла дийриг хиларе терра, аша а тхох дозалла дийриг хиларх.</verse>
				<verse number="14">***</verse>
				<verse number="15">Ишттачу тешарца со дагахь вара уггар хьалха шу долчу ван, шун шолгӀа а декъалалла хилийтархьама.</verse>
				<verse number="16">Со Македоне воьдучу хенахь шу долчухула а ваьлла, тӀаккха, юхавоьрзуш, юха а шу долчу ван ойла яра сан, шуьга со ЯхӀуд-махка новкъа а воккхуьйтуш.</verse>
				<verse number="17">И Ӏалашо сайна хьалха хӀоттош, аса ойла а ца еш-м ца дина те иза? Я аса, кху дуьненарчара санна, сайгара олу ткъа цкъа «хӀаъ», тӀаккха «хӀан-хӀа»?</verse>
				<verse number="18">Дела тешаме хиларх чӀагӀо а еш, боху аса, оха шуьга бохург дацара цхьана метта цкъа «хӀаъ», тӀаккха «хӀан-хӀа».</verse>
				<verse number="19">ХӀунда аьлча шуна юкъахь Цунах лаьцна оха — аса а, Салис а, Тимапис а — хьехамаш бина волу Делан КӀант, Дала леррина къобалвина Ӏийса, ма вацара цхьана хенахь цкъа «хӀаъ», тӀаккха «хӀан-хӀан» олуш. Цуьнгахула Делан «хӀаъ» хилла дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="20">ХӀунда аьлча Дала мел дина ваӀданашна дуьхьал Дала леррина Къобалвинчуьнгахула «хӀаъ» ду. Цундела Делан сийлаллина Дала леррина Къобалвинчуьнгахула вай «Амин» олу.</verse>
				<verse number="21">Шуьца цхьаьна тхо Ша леррина Къобалвинчух тешаш чӀагӀдина лоттуьйтуш Верг — Дела ву. Цо вай къобал а дина,</verse>
				<verse number="22">Шен мухӀар тӀетохарца вай къаста а дина, Ша лур ду аьлла динчу закъалтана Шен Са делла Цо вайн дегнаш чу.</verse>
				<verse number="23">Далла хьалха сайн дахарх чӀагӀо йо ас, со хӀинццалц Коринте цаваран бахьана шу кхоош хилар ду аьлла.</verse>
				<verse number="24">Иза дац шун тешарна тӀехь олалла до бохург. Амма шун даккхийдер хилийта шуьца цхьаьна гӀуллакх деш ду тхо, хӀунда аьлча шайн тешар тӀехь чӀагӀо йолуш ду шу.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Аса сайн дагахь сацам бира, со шу долчу вогӀуш, юха а шун дог дохош ца ван.</verse>
				<verse number="2">ХӀунда аьлча аса юха а шун дог дохийча, хьан дийр дара суна хазахетар, аса халахетийтина долчу шу доцучара?</verse>
				<verse number="3">Оцу дерригенах а лаьцна аса яздира шуьга, со веанчу хенахь шуьгара хазахетар лоьхучу сайна халахетар ца хилийта. Со шух массарах тешна ву, сан хазахетар шуна а массарна хазахетар ду аьлла.</verse>
				<verse number="4">Аса боккхачу дегалазамца, дегаӀаткъамца, дуккха а долу сайн бӀаьрхишца яздинера шуьга и кехат. Иза шун дог лазорхьама яздина дацара. Шуьга болу сайн тӀех боккха безам шуна бовзийта яздинера аса иза.</verse>
				<verse number="5">Нагахь цхьаммо дог дохийнехь а, цо сан дог ца дохийна, амма цхьана декъана шун массеран а дохийна, тӀех луьра ца олуш дитича.</verse>
				<verse number="6">Дукхахболчара дина таӀзар тоьар ду иштта волчунна.</verse>
				<verse number="7">Цундела шуна гӀолехь ду, хӀинца цунна къинтӀера а девлла, цуьнан догъэцча, иза йоккхачу гӀайгӀане ца вахийта.</verse>
				<verse number="8">Аса доьху шуьга цундела, цуьнга шайн безам хилийтар.</verse>
				<verse number="9">Иза аса яздинера, шу зийначул тӀаьхьа, шу массо а хӀуманна тӀехь соьга ладугӀуш дуй те хьажархьама.</verse>
				<verse number="10">Шу къинтӀера девллачунна со а ваьлла, хӀунда аьлча со хӀуманна къинтӀера вала везаш хилча а, аса иза шуна диканна дина Дала леррина Къобалвинчунна хьалха,</verse>
				<verse number="11">иблисе цхьана а тайпанчу мекарлонца шуна тӀехь толам ца баккхийтархьама. Вайна-м цуьнан лаамаш бевзаш ма бу.</verse>
				<verse number="12">Дала леррина Къобалвинчух болу хаза кхаъ дӀакхайкхо Троя-гӀала со веанчу хенахь, Везачу Эло суна цигахь къахьега неӀ дӀайиллира.</verse>
				<verse number="13">Амма со синтем байна вара, хӀунда аьлча цигахь суна сайн динан ваша волу Тита ца карийра. И бахьанехь, церан Ӏодика а йина, со Македоне вахара.</verse>
				<verse number="14">Амма Далла баркаллаш бохийла вай! Ша леррина Къобалвинчуьнгахула вайна тӀехь толам а баьккхина, муьлххачу хенахь а вай толаман тобанехь лоьлуьйту Цо. Дала леррина Къобалвинарг вовзаран хаза хьожа вайгахула массанхьа а дӀасаяржайо Цо.</verse>
				<verse number="15">КӀелхьарбовларан некъа тӀе бевллачарна а, хӀаллакьхиларан новкъахь болчарна а юкъахь Дала леррина Къобалвинчо Далла доккху хаза хьожа йогӀу сагӀа санна ду вай.</verse>
				<verse number="16">ХӀаллакьхиларан новкъахь болчарна иза Ӏожаллин хьожа ю, уьш валаре а буьгуш. Ткъа кӀелхьарбовларан новкъахь болчарна иза хаза хьожа ю, уьш дахаре а буьгуш. Хьаьнга далур дара и дерриге а?</verse>
				<verse number="17">Делан дош талхадечу дукхахболчаьрца тхо нисдан йиш яц. Мелхо а, оха и дош доггах а, Делан цӀарах а, Цунна хьалха а кхайкхадо, Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна а долуш.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">Тхо юха а тхаьш хесто дуьйладала деза те? Цхьаболчу нахана юкъахь ма-хиллара, вайна юкъахь а лела деза те шуьга дӀа я шуьгара схьа долу хестадаран кехаташ?</verse>
				<verse number="2">Шу шаьш ду тхан дегнаш чохь дӀаяздина долу тхан хестадаран кехат. Иза массо а адамна девзаш а ду, массара доьшуш а ду.</verse>
				<verse number="3">Аша гойту Дала леррина Къобалвинчун кехат шаьш хилар, оха динчу гӀуллакхан жамӀ долу. И кехат шекъанца доцуш, ткъа дийна долчу Делан Синца яздина ду. ТӀулга тӀехь яздина доцуш, ткъа адамийн дегнаш чохь яздина ду иза.</verse>
				<verse number="4">Оцу тайпана болу Делах тешам бу тхан Дала леррина Къобалвинчуьнгахула.</verse>
				<verse number="5">Цхьа хӀума дан похӀма тхайгара ду-м дера ца моьттура тхуна, ткъа тхан и похӀма Делера ду.</verse>
				<verse number="6">Цо Ша делла тхуна похӀма керлачу а, йозанца боьзна а боцуш, ткъа синца боьзна болчу а бартана гӀуллакх дан. ХӀунда аьлча йозанца яздинчо адам доь, ткъа Делан Сино адам дендо.</verse>
				<verse number="7">Шайца валар дахьаш долу, дешнашца тӀулга тӀехь яздина дерг хилла дӀахӀоьттича, Делан сийлалла гучудаьккхира. Исраилхой ур-атталла Муса-пайхамаран сийлаллин нур лепачу юьхь тӀе ца хьажалора, и нур лагӀлуш хиллехь а. Иза а иштта сийлалла долуш хилча,</verse>
				<verse number="8">цул дуккха а сов сийлалла долуш хир дац ткъа Делан Сино дийриг?!</verse>
				<verse number="9">Кхелъярца чекхдолуш дерг а оццул сийлалла долуш хилча, мел тӀех сийлалла долуш ду Далла хьалха адам бакъдарца чекхдоккхург.</verse>
				<verse number="10">ХӀунда аьлча оцу хенахь сийлалла долуш хилларг хӀинца долчул сов долчу сийлалло кхоьлина хуьлуьйту.</verse>
				<verse number="11">Нагахь дӀадер дерг а сийлалла долуш хилча, тӀаккха хӀара цкъа а дӀадер доцург кхин а сийлалла долуш ду.</verse>
				<verse number="12">Тхайн иштта сатийсар долу дела, майрра къамел дан йиш ю тхан.</verse>
				<verse number="13">Исраилан халкъ довр долчу сийлаллин нуьре ца хьежийтархьама, шен юьхь-дуьхьал пардо уллуш хилла волу Муса-пайхамар санна ма дац вай.</verse>
				<verse number="14">Амма церан хьекъал артдина дара. Делаца бинчу ширачу бартах лаьцна долу тептарш шаьш доьшучу хенахь, и санна долу пардо церан кхетамна дуьхьалара дӀадаккхаза дуьсу. Ткъа нагахь санна стаг Дала леррина Къобалвинчуьнца воьзна бен вацахь, и пардо дӀадоккху.</verse>
				<verse number="15">Таханлерчу дийнахь а Муса-пайхамаран Товрат-хьехамаш адамаша боьшуш церан дегнаш тӀехь пардо хуьлу.</verse>
				<verse number="16">Йозанашкахь яздина ма ду: «Иза Везачу Элехьа мосазза воьрзу, и пардо дӀадоккхура».</verse>
				<verse number="17">Веза Эла — Са ду. Ткъа Везачу Элан Са долчохь — паргӀато а ю.</verse>
				<verse number="18">Ткъа вай массара а дуьхьал пардо доцучу яххьашца, куьзгано санна, Везачу Элан сийлалла дӀагойту. Массо а хенахь вайн сийлалла сов а йоккхуш, вай Цуьнан васте хуьйцуьйтуш ду Делан Са долчу Везачу Эло.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">Делан къинхетамца оцу тайпана долу гӀуллакх дан тхайн йиш хиларна, тхо дог доьхна дац.</verse>
				<verse number="2">Мелхо а, оха дитина массо а къайлаха а, эхье а долу гӀуллакхаш. Нах Ӏеха а ца бо, Делан дош харцахьа а ца доккху оха. Ткъа тхаьш билггал бакъдерг адамашна дӀаделларна, Далла хьалха хӀора адаман эхь-бехкана оха дӀагойту тхаьш муьлш ду.</verse>
				<verse number="3">Нагахь оха кхайкхош болчу хазачу кхоана дуьхьал цхьанна пардо хӀуттуш делахь, иза валаран некъа тӀехь болчарна ду иштта.</verse>
				<verse number="4">Бакъволчу Делах ца тешачеран хьекъал бӀарздина кху дуьненан харцдала, Делан вастехь волчу Дала леррина Къобалвинчун сийлаллех лаьцна болчу хазачу кхоан серло царна ца гайтархьама.</verse>
				<verse number="5">Оха беш болу хьехамаш тхайх лаьцна бац, амма Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах бу. Ткъа тхо Ӏийсан дуьхьа шун ялхой ду.</verse>
				<verse number="6">ХӀунда аьлча: «Боданера серло схьакхетал!» — аьлла волчу Дала тхан дегнаш серладаьхна, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсан юьхь тӀехь лепаш йолчу Делан сийлаллех болчу кхетаман серло вайн хилийтархьама.</verse>
				<verse number="7">Ткъа и хазна оха тхешан кхийра кхабанаш чохь лелайо. Иза ду тӀех боккха болу ницкъ, тхоьгара а боцуш, Делера хилар хаийтархьама.</verse>
				<verse number="8">Тхуна массо а агӀор кест-кеста ницкъ бо, амма тхо кхоччуш хьаьшна дӀа ца даьхна. Наггахь холчу хӀиттадо тхо, амма оха дог ца дуьллу.</verse>
				<verse number="9">Тхо лелхадо, амма дитина дац тхо. Тхо охьадохку, амма тхо хӀаллак ца хуьлу.</verse>
				<verse number="10">Ӏийсан валар гуттара а тхешан догӀмашца леладо оха, Цуьнан дахар тхайн догӀмашкахула гучудаккхархьама.</verse>
				<verse number="11">ХӀунда аьлча дийна долуш Ӏийсан дуьхьа хӀора денна а Ӏожаллин кхерамехь хуьлу тхо, тхайн лийр долчу догӀмашкахула Цуьнан дахар гучудаккхархьама.</verse>
				<verse number="12">Цу тайпана Ӏожалла шен Ӏалашо тхуна тӀехь кхочушъян гӀерта, дахар шуна кхачийтархьама.</verse>
				<verse number="13">Йозанаш тӀехь яздина ду: «Со тешаш хиларна, со вистхилира». Тхешан тешаран дух цу дешнашца цхьаьнадогӀуш долу дела, тхо а, теша а тешаш, дистхуьлу,</verse>
				<verse number="14">тхаьшна хаьа дела, Веза Эла волу Ӏийса веллачуьра Денвинчо тхо а Цуьнца дендийр дуйла, шуьца цхьаьна тхо Шена хьалха дӀа а хӀиттош.</verse>
				<verse number="15">Оха и дерриг а шун дуьхьа деш ду. Ткъа иза а деш, Делан дика дуккха а адамашна дӀакхочу, Делан сийлаллина Далла боху баркаллаш алсам а довлуьйтуш.</verse>
				<verse number="16">Цундела тхан дегнаш ца духу. Вайн догӀмаш тишлуш делахь а, вайна чуьра са де дийне мел дели а карладуьйлу.</verse>
				<verse number="17">Йоццачу ханна тхан хуьлучу баланаша, цкъа а йовр йоцу сийлалла яхьар ю тхуна. И сийлалла барам боцуш совъюьйлу оцу баланел.</verse>
				<verse number="18">Тхо гуш долчуьнга ца хьоьжу, амма гуш доцучуьнга хьоьжу. ХӀунда аьлча гуш дерг цхьана заманна бен дац, ткъа гуш доцург гуттара а хир ду.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">Иштта, вайна хаьа, кху лаьттахь вайн четар санна долу хӀара догӀмаш хӀаллакьхилча, Дала луш долу стигалшкара цӀа вайн хилар. Иза куьйга дина а доцуш, гуттара а хин долу цӀа ду.</verse>
				<verse number="2">Вешан хӀинца долчу догӀмашкахь вай сатийсарца синош доху, стигалшкара долу вайн керла цӀа, бедар санна, ваьшна тӀедухар лууш.</verse>
				<verse number="3">И духар ваьшна тӀедухийтинчул тӀаьхьа, вай дерзина карор ма дац!</verse>
				<verse number="4">Лаьттара четарш санна долчу хӀокху догӀмашна чохь а долуш, баланаша ницкъ барна синош доху вай. ХӀунда аьлча вайна ца лаьа тӀеюьйхина хӀума йоцуш ваьш хуьлийла, амма стигалшкара долу керла духар ваьшна тӀедухийтина хила лаьа вайна, дахаре лен дерг дӀакхаллийтархьама.</verse>
				<verse number="5">Оццу гӀуллакхна кхоьллина ду вай Дала. Цо Шен Са делла вайна закъалтана.</verse>
				<verse number="6">Цундела тхо массо а ханна тешам болуш ду, цӀенош санна долчу оцу догӀмашна чохь а долуш, Везачу Элана уллохь долчу тхайн керлачу цӀеношна генахь хилар тхаьшна хуъушехь.</verse>
				<verse number="7">ХӀунда аьлча тхо, гуш долчуьнца а доцуш, тхешан тешарца дехаш ду.</verse>
				<verse number="8">Иштта, доьналла а долуш, лаьттарчу дегӀана чуьра а кхелхина, Везачу Элана уллохь Ӏаш хилар гӀолехь ма хета тхуна.</verse>
				<verse number="9">Цундела тхуна, догӀмашна чохь долуш я царна чуьра кхелхина долуш, Везачу Элана тамехь дерг хилийта лаьа.</verse>
				<verse number="10">ХӀунда аьлча вай дерриш а Дала леррина Къобалвинчун кхелана хьалха дӀахӀитта дезаш ду. Вайх хӀораммо а ваьш кху дегӀа чохь дехачу хенахь динчуьнга хьаьжжина, дика я вон и делахь, доггӀург схьаоьцур ду.</verse>
				<verse number="11">Везачу Элах кхерар хӀун ду тхайна хаьа дела, адамаш кхето гӀерта тхо. Далла тхох лаьцна дерриг а хаьа. Тхох лаьцна долу дерриг а шуна а хууш хиларе сатуьйсуш ву со.</verse>
				<verse number="12">Оха юха а хестош дац тхаьш шуна хьалха. Ткъа оха тхайх дозалла дан таро ло шуна. Иза оха ло, даг чохь долчух дозаллаш ца деш, ткъа тӀехула долчу хӀуманех дозаллаш деш болчаьрга дуьхьал ала шун хӀума хилийтархьама.</verse>
				<verse number="13">Тхо хьекъалх девлча, иза Делан дуьхьа ду. Ткъа тхо хьекъале даьхкича, иза шун дуьхьа ду.</verse>
				<verse number="14">ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинчун безамо лелош ду тхо. Нагахь Цхьаъ массеран а дуьхьа велла хилча, тӀаккха, массо а адам делла аьлла, жамӀ ма дина оха.</verse>
				<verse number="15">Иза массеран а дуьхьа велла, дехаш долу адамаш хӀинца шайн дуьхьа а доцуш, амма, вала а велла, веллачуьра денвина волчун дуьхьа дахийтархьама.</verse>
				<verse number="16">Цундела хӀинца дуьйна цхьа а адам кху дуьнен чуьра болчара санна ца лору оха. Нагахь Дала леррина Къобалвинарг оха кху дуьнен чуьра болчара санна лерина хиллехь а, хӀинца оха иштта кхин ца лору Иза.</verse>
				<verse number="17">Иштта, Дала леррина Къобалвинчуьнца верг — юхакхоьллинарг ву. Шира дахар дӀадаьлла, хӀинца керланиг хилла дӀахӀоьттина!</verse>
				<verse number="18">Ткъа и массо а хӀума Делера схьа ду. Дала Ша леррина Къобалвинчуьнгахула вай Шеца тайтира. Цо тхуна тӀе диллина адамаш Шеца таран гӀуллакх.</verse>
				<verse number="19">Адамаша летийна къинош царна дуьхьал ца лоруш, Ша леррина Къобалвинчуьнгахула дуьне Шеца тойтуш вара Дела. Дала тхуна тӀедиллина адамаш Шеца тойтуш болу и кхаъ дӀакхайкхор.</verse>
				<verse number="20">Тхо Дала леррина Къобалвинчун цӀарах дахкийтинарш ду, ткъа Дала Ша тхоьгахула шуьга хаам беш санна хуьлу. Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа доьху оха шуьга: «Делаца шаьш тайтийша!»</verse>
				<verse number="21">Шена тӀехь цхьа а къа доцуш Верг Дала вайн дуьхьа къинош летийнарг санна вира, Ша леррина Къобалвинчуьнгахула вайх Шена хьалха бакъдинарш хилийтархьама.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="6">
				<verse number="1">Делаца цхьаьна къахьоьгуш долчу оха чӀогӀа дехар до шуьга, Делера шаьш тӀеэцна долу дика эрна ма хилийтийша.</verse>
				<verse number="2">ХӀунда аьлча Дала аьлла: «Халкъе Со резахиларца хьоьжучу заманчохь Суна хьан аз хезира, кӀелхьардоккхучу дийнахь Аса гӀо дира хьуна». Ткъа хӀинца тӀееана Дела вайга резахиларца хьоьжу и зама, хӀинца ду и кӀелхьардовларан де.</verse>
				<verse number="3">Цхьана а хӀуманна тӀехь цхьанна а вас хилийта бахьана ца хуьлуьйту оха, тхаьш деш долу гӀуллакх емал ца дайтархьама.</verse>
				<verse number="4">Мелхо а, массо а агӀор Далла гӀуллакх дийраш санна тхаьш хилар гойту оха: баланаш а, халонаш а, бохамаш а доьналлица тхаьш ловш.</verse>
				<verse number="5">Иза оха гойту тхайна еттачу хенахь, тхо набахти чохь дохкуш, карзахбевллачу наха тхо лелхийна лелош, тхаьш къахьоьгуш, буьйсанна наб яйна лелаш, мацалла ловш.</verse>
				<verse number="6">Иштта, тхайн цӀеначу дахарца, кхетамца, собарца, эсала хиларца, Делан Синца, шалхонаш йоцучу цӀеначу безамца,</verse>
				<verse number="7">билггал бакъдерг кхайкхорца, Делан ницкъаца гойту оха иза. Бакъваран герз тхан аьтту а, аьрру а куьйгашкахь ду.</verse>
				<verse number="8">Тхан ларам а бо, тхо сийсаза а доху. Тхуна лен а лоь, тхо хеста а до. Тхох харцлуьйш дерш до, амма тхо бакъонца лела.</verse>
				<verse number="9">Тхо гӀарадевлла доцуш лору, амма тхо массарна а девза. Тхо делла лору, ткъа тхо лан а ца ле. Тхуна луьра таӀзар до, ткъа тхо дайа а ца дойу.</verse>
				<verse number="10">Тхуна халахетарш до, ткъа тхо гуттара а самукъане ду. Тхо къен ду, амма дуккха а болчарна хьал ло оха. Тхан хӀумма а яц, амма массо а хӀуманан дай ду тхо.</verse>
				<verse number="11">Коринтхой! Оха цӀеначу дегнашца къамел до шуьца. Тхан дегнаш дӀаделладелла ду шуна.</verse>
				<verse number="12">Тхо шух дӀа ца къехка, ткъа шу шайн дегнашкахь тхох дӀакъехка.</verse>
				<verse number="13">Аса сайн берашка санна боху шуьга: «Шайн дегнаш дӀа а деллий, тхо шайца ма-хиллара, хилийша шу а тхоьца».</verse>
				<verse number="14">Ӏийсах тешар доцучаьрца цхьана дукъа кӀел ма лелийша. ХӀун юкъаметтиг ю те бакъдолчунна а, харцдолчунна а юкъахь? ХӀун уьйр ю те серлонна а, боданна а юкъахь?</verse>
				<verse number="15">ХӀун барт бу те Дала леррина Къобалвинчунна а, иблисана а юкъахь? ХӀун цхьаалла ю те тешаш волчунна а, тешаш воцчунна а юкъахь?</verse>
				<verse number="16">ХӀун цхьаьнадогӀург ду те Делан цӀенна а, цӀушна а юкъахь? Тхо дийна волчу Делан цӀа ма ду! Дала Ша ма-аьлла: «Царна юкъахь вехар ву Со, уьш болчохь лелар ву Со. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду».</verse>
				<verse number="17">Цундела Везачу Эло боху: «Царна юкъара дӀа а довлий, царах дӀакъасталаш. Суна хьалха боьха долчу хӀуманах ма хьакхалойша, тӀаккха Аса тӀеоьцур ду шу».</verse>
				<verse number="18">«Со шун Да хир ву, ткъа шу Сан кӀентий а, йоӀарий а хир ду, — боху массо а ницкъийн Везачу Дала».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="7">
				<verse number="1">Сан хьоме доттагӀий! Дала вайна и ерриге а чӀагӀонаш йина дела, вешан догӀмаш а, синош а бехдеш мел долчух цӀанде вай. Деле болчу ларамах дуьзна а долуш, чекхдовллалц ваьш Цунна дӀало вай.</verse>
				<verse number="2">Тхо шайн дегнаш чу тардалийтийша! Оха цхьанна а вониг ца дина, цхьа а дакъаза ца ваьккхина, цхьаьнггара а тхайна пайдехь дерг а ца лехна.</verse>
				<verse number="3">Шух бехк баккхархьама ца боху аса иза. Аса хьалха а аьллера, шуьца цхьаьна даллал а, дехаш хиллал а шу тхан дегнаш чохь ду.</verse>
				<verse number="4">Сан шуьца майра дийца йиш ю. Мел дозалла до аса шух. Тхаьш оццул баланехь доллушехь, аша динчу иракарахӀитторах вуьзна а ву со, сан хазахетар тӀех а даьлла.</verse>
				<verse number="5">Тхо Македоне даьхкинчу хенахь, цхьана а тайпана синтем бацара тхан. Массо а агӀор ницкъ хиллера тхуна, арахула тӀебеана цатемаш а, тхешан чохь болу кхерамаш а бахьана долуш.</verse>
				<verse number="6">Амма Шена муьтӀахь болчарна синтем луш волчу Дала, Тита схьа а кхачийна, тхан синош паргӀатдехира.</verse>
				<verse number="7">И синтем хилар, Тита схьакхачарна хилла а ца Ӏаш, аша цуьнан догъэцарна а дара. Цо дийцира, шу тхо ган лууш хиларх а, шайгара мел даьллачунна шу дохкодовларх а, со ларван шу кийча хиларх а лаьцна. Цундела со кхин а чӀогӀа дог айаделла вара.</verse>
				<verse number="8">Сайн кехатца айса шуна халахетийтарна со дохковаьлла хиллехь а, хӀинца айса и яздарна дохко ца волу со, цу кехато шуна халахетар кӀеззиг йолчу ханна бен ца дина дела.</verse>
				<verse number="9">Сан хӀинца долу хазахетар шуна айса халахетар дина аьлла дац, амма оцу халахетарехула, метта а даьхкина, Далла тӀедерзар шун хиларна ду. Шун халахетар Делан лаамехь хилла дара, цундела тхох цхьана а тайпана зулам ца даьлла шуна.</verse>
				<verse number="10">Делан дуьхьа хиллачу гӀайгӀано кӀелхьарвалар хуьлуьйтуш долу Далла тӀеверзар до — и хиларна, стаг дохко ца волу. Ткъа дуьненан гӀайгӀано Ӏожалла тӀейоуьйту.</verse>
				<verse number="11">Хьовсийша, Делан дуьхьа шуна хиллачу халахетаро шу мел доггах дӀагӀоьртуьйту. Иза дина а ца Ӏаш, шу бехке цахилар шуна дӀахаийта лаар дойту цо. Ткъа, цул сов, мел эргӀаддевлла а, аша мел орца доху а, со ган шун мел боккха лаам бу а, мел чӀогӀа шу тӀедирзина а, царна таӀзар хиларна шу мел кийча ду а хаийтина цо. Массо а оцу хӀуманна тӀехь шаьш цӀена хилар гайти аша.</verse>
				<verse number="12">Айса иштта яздинехь а, вониг далийтинчун я шена вониг хиллачун дуьхьа ца яздинера аса шуьга, амма Далла хьалха аша тхан мел гӀайгӀа бо шуна дӀаделладалийтархьама яздинера.</verse>
				<verse number="13">Цундела тхуна синтем хилира. Тхуна, синтем хилла а ца Ӏаш, кхин а доккха хазахетар хилира Титин хазахетар бахьана долуш, аша массара а цуьнан са иракарахӀотторна.</verse>
				<verse number="14">Цу тайпана аша юьхьӀаьржачу ца хӀоттий со, дозаллица шух лаьцна аса цуьнга дийцинчунна тӀехь. Мелхо а, массо а хӀуманах билггал бакъдерг оха шуьга дийцаре терра, Титина хьалха аса шух дина дозалла бакъ хили.</verse>
				<verse number="15">Шун массеран а муьтӀахь хилар а, кхерамца а, дегадарца а аша ша тӀеэцар а дагадеача, кхин а чӀогӀа шух дог дӀаийна хуьлу цуьнан.</verse>
				<verse number="16">Со чӀогӀа воккхавеш ву, массо а хӀуманна тӀехь а шуна тӀетовжа сайн йиш хиларна!</verse>
			</chapter>
			<chapter number="8">
				<verse number="1">Ткъа хӀинца, динан вежарий, оха дӀахоуьйту шуьга Македон-махкарчу динан тобанашна Дала деллачу диканах лаьцна.</verse>
				<verse number="2">Шаьш баккхий баланаш хьоьгуш боллушехь, цу тобанийн доккха хазахетар а, йоккха къоьлла а хьалдолчу комаьршалле делира.</verse>
				<verse number="3">Со теш ву цара доггах, шайн дала йиш йолччул а, сов а деллачунна. Шайн лаамца</verse>
				<verse number="4">цара чӀогӀа дийхира тхоьга, шайна там хилийтархьама, Ярушалаймехь болчу Делан нахана дан леринчу дикачу гӀуллакхехь шайга а дакъалацийтахьара бохуш.</verse>
				<verse number="5">Тхуна хила ма-лаъара хилла а ца Ӏаш, уьш хьалха Везачу Элана тӀе а боьрзура, тӀаккха Делан лаамца шаьш тхуна къобал а бора.</verse>
				<verse number="6">Цундела оха Тите чӀогӀа дийхира, ша долийна долу и дика гӀуллакх доладаре терра, чекхдаккха а шуна гӀо де аьлла.</verse>
				<verse number="7">Ткъа шун кхиамаш алсамбуьйлу тешарехь а, дашехь а, кхетамехь а, даггара хиларехь а, шайн тхоьга болчу безамехь а. Массо а оцу гӀуллакхашца шу тӀехдуьйлуш хиларе терра, шаьш дечу оцу дикачу гӀуллакхна тӀехь а тӀехдовлуш хуьлийла шу.</verse>
				<verse number="8">Иза шуна тӀедуьллуш ца боху аса, амма, кхиболчеран даггара хилар а гойтуш, шун безам билггал доггах буйла зуьйш ву со.</verse>
				<verse number="9">ХӀунда аьлча вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дика девза шуна. Ша хьал долуш воллушехь, шун дуьхьа къий а велла, Шен къоьлла бахьана долуш шу хьал долуш хилийтархьама, дина Цо иза.</verse>
				<verse number="10">Цу тӀехь шуна пайденна долу цхьа хьехар до аса, хӀунда аьлча стохка и дика гӀуллакх долийна а ца Ӏаш, и доло лаам а хилла шун.</verse>
				<verse number="11">Шаьш дан долийна гӀуллакх хӀинццехь кхочушде. Цу тайпана шун хӀетахьлерчу доггах хиллачу лаамах тарлур ду шайн долчу хьолах цу гӀуллакхна аша дакъа дӀадалар.</verse>
				<verse number="12">Нагахь цхьаъ шен хӀума дӀадала доггах лаам болуш велахь, Дала иза, цуьнан дала йолчу тароне хьаьжжина, тӀеоьцур ду, дала таро йоцург ца хьехош.</verse>
				<verse number="13">Шуна хало еш, ткъа кхечеран аьтто хилийта деш дац иза, амма массарна а цхьабосса хилийтархьама деш ду.</verse>
				<verse number="14">ХӀинца шун совдаьллачо церан кхачамбацар меттахӀоттор ду. Ткъа тӀаьхьо церан совдаьлларг шун эшам болчун метта хир ду. Цу тайпана шуна массарна а иза цхьабосса хир ду.</verse>
				<verse number="15">Делан Йозанаш тӀехь яздина ма-хиллара: «Дукха гулдиначун совнаха а ца хуьлура, ткъа кӀезиг гулдиначунна тӀеоьшуш а ца хуьлура».</verse>
				<verse number="16">Тхуна санна, Титин даг чу а шуна гӀо дан лаам тесна волчу Далла баркалла боху оха.</verse>
				<verse number="17">Тхан дехар тӀеэцна а ца Ӏаш, Тита, шен а боккха лаам хиларна, шен деган лаамца дӀавогӀу шу долчу.</verse>
				<verse number="18">Хаза кхаъ дӀакхайкхор бахьанехь, массо а динан тобанашкахь хестош волу кхин а цхьа динан ваша дӀавоуьйту оха цуьнца.</verse>
				<verse number="19">Цул сов, и дика гӀуллакх дарна тӀехь тхуна улловаккха хаьржина ву иза динан тобанашна юкъара. Тхаьш гӀо дан кийча хилар гойтуш, Везачу Элан сийлаллина кхочушдо оха и гӀуллакх.</verse>
				<verse number="20">ХӀара гулдина доккха хьал бахьанехь, цхьаннан а тхаьшна тӀехтохам ца хилийта ларлуш ду тхо.</verse>
				<verse number="21">ХӀунда аьлча Везачу Элана хьалха хилла а ца Ӏаш, адамашна хьалха а оьзда дерг дан дагахь ма ду тхо.</verse>
				<verse number="22">Тхайна юкъара кхоолгӀа динан ваша а воуьйту оха цаьрца цхьаьна. Дукхазза а массо а тайпана гӀуллакхашна тӀехь зийча, иза чӀогӀа кийча хилар зеделира тхуна. Иза хӀинца кхин а чӀогӀа лууш ву шу долчу ван, ша шух кӀорггера теша дела.</verse>
				<verse number="23">Титех лаьцна аьлча — иза сан юххера стаг ву, шуна гӀуллакх дарехь соьца цхьаьна къахьоьгуш волу. Ткъа кхечу тхан динан вежарех аьлча — уьш Дала леррина Къобалвинчунна сийлалла яхьаш болу динан тобанашна юкъара къобалбинарш бу.</verse>
				<verse number="24">Цундела динан тобанашна хьалха тоьшаллаш дейша шайн безамах лаьцна, оха хьакъ долуш шайх дозалла дар а гойтуш.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="9">
				<verse number="1">Бакъдерг аьлча, аса-м шуьга яздан а ца оьшу Делан нахана гӀо дан дезарх лаьцна.</verse>
				<verse number="2">Шун доггах хилар а гуш, шух дозалла до аса македонхошна хьалха: «Стохка дуьйна а Ахаера динан тобанаш доггах хӀума яларан гӀуллакхна кийча ю» — бохуш. Шун доггах хиларо царах дукхахберш иракарахӀиттабора.</verse>
				<verse number="3">Ткъа шу долчу аса динан вежарий бохуьйту, оха шух дина дозалла эрна а ца хуьлуьйтуш, амма, аса ма-аллара, шу кийча хилийтархьама.</verse>
				<verse number="4">Соьца шу долчу македонхой бахкар а нисделла, ткъа шу кийча ца хилар царна дӀахиънехьара, шу хӀиттина а ца Ӏаш, шух тешна Ӏаш долу тхо а юьхьӀаьржачу хӀуьттур ма дара!</verse>
				<verse number="5">Цундела оцу динан вежаршка дехар дан деза аьлла хийтира суна, уьш сол хьалха шу долчу дӀа а баьхкина, аша хьалххехь ваӀда а деш, лур ду аьлла совгӀат цаьрга кечдайтархьама. Цу тайпана и совгӀат, ницкъаца даьккхина а доцуш, ткъа шун-шайн лаамца делларг санна кийча хир ду.</verse>
				<verse number="6">Цу тӀе аса боху: кӀезиг дӀадуьйчо — кӀезиг ялта схьагулдийр ду, ткъа комаьршаллица дӀадуьйчо — алссам ялта схьагулдийр ду.</verse>
				<verse number="7">ХӀораммо а шен даго боххучул ло, дохко а ца волуш, дала деза аьлла а ца луш. ХӀунда аьлча самукъане а волуш луш верг Далла веза.</verse>
				<verse number="8">Делан ницкъ бу шуна мел деш долу дика алсамдалийта. Цу тайпана, массо а хӀуманна тӀехь а, гуттара а шуна мел оьшург хир ду шун, ткъа цунах алссам дуьсур ду шуна муьлхха а дика гӀуллакх дан.</verse>
				<verse number="9">Делан Йозанаш тӀехь яздина ма-хиллара: «Тоам боллуш дӀало цо мискачу нахана, ур-атталла абаденналц а лаьтта цуьнан нийсо».</verse>
				<verse number="10">ДӀадуьйш волчунна хӀу а, юуш волчунна юург а Кхочуьйтучо шуна а хӀу кхочуьйтур ду, иза алсам а доккхур ду, ткъа шун нийсонца леларехула Цо шортта ялта лур ду.</verse>
				<verse number="11">Иштта муьлххачу а хенахь комаьрша хӀума дӀакховдо алссам хьал а лур ду шуна Цо. ТӀаккха дуккхаммо а, аша комаьршаллица дӀакховдийнарг тхоьгахула дӀа а эцна, Далла баркаллаш бохур ду.</verse>
				<verse number="12">ХӀунда аьлча аша кхочушдечу хӀокху гӀуллакхо, Делан нахана оьшург хилийтина а ца Ӏаш, Далла олу баркаллаш дуккха а тӀехдовлуьйтур ду.</verse>
				<verse number="13">Оцу шун гӀуллакхо шух до тоьшалла бахьана долуш, Далла хастамаш бийр бу, нахана хьалха шу тешна болчу Дала леррина Къобалвинчун хазачу кхоана шу муьтӀахь хиларна а, шайн долахь дерг цаьрца а, кхиболчу массаьрца а комаьршаллица доькъуш шу хиларна а.</verse>
				<verse number="14">Шайн дегнашкахь шу дага а дохкуьйтуш, шуна тӀера доӀанаш дийр ду цара, Дала шуна дина инзаре доккха дика бахьана долуш.</verse>
				<verse number="15">Далла баркалла олийла вай, Цуьнан дийцалур а доцу совгӀат бахьанехь!</verse>
			</chapter>
			<chapter number="10">
				<verse number="1">Шуна дуьхьал волчу хенахь эсала волуш, ткъа дуьхьал воцучу хенахь майра волчу аса, ПахӀала, Дала леррина Къобалвинчуьнгара долчу эсалаллица а, Цуьнгара болчу къинхетамца а кхетадо шу.</verse>
				<verse number="2">Аса дехар до шуьга, шу долчу веанчу хенахь, тӀех майралла гайта ма дезийталаш сан. Цхьаболчу, тхо кху дуьнен чуьра берш санна лелаш ду бохучарна, и сайн тӀех йолу майралла гайта ваьхьар ву со.</verse>
				<verse number="3">ХӀунда аьлча оха, массо а адам санна, кху дуьнен чохь тхаьш доллушехь, цара санна, тӀемаш ца бо.</verse>
				<verse number="4">Тхайн тӀемашкахь оха леладо герзаш кху дуьнен чуьра герзаш дац. Мелхо а, Дала цу герзашна Шен ницкъ белла, цаьргахула тхоьга гӀепаш хӀаллакьяйтархьама. Мекара ойланаш а,</verse>
				<verse number="5">Дела вовзарна дуьхьал лакхайоккху муьлхха а куралла а йохайо оха цаьрца. Муьлххачу а ойланашна цаьрца йийсар до оха, уьш Дала леррина Къобалвинчунна муьтӀахь ярхьама.</verse>
				<verse number="6">Дала леррина Къобалвинчунна шун муьтӀахь хилар ма-бохху кхочушхилла даьлча, тхо кийча ду, цунна дуьхьал долчу муьлххачу хӀуманна а таӀзар дан.</verse>
				<verse number="7">Ткъа гӀуллакх билггал муха ду, шу-шаьш хьовсал! Ша Дала леррина Къобалвинчуьнца ву аьлла тешна волчунна хаа деза, тхо а шаьш санна, Цуьнца дуйла.</verse>
				<verse number="8">Нагахь аса, шун гӀуллакх дохорна а доцуш, ткъа иза тодархьама, Везачу Эло тхайна деллачу олаллех долу дозаллаш кхин а совдаьхна хилча а, тӀаккха а юьхьӀаьржачу хӀуттур вацара со.</verse>
				<verse number="9">Амма шуна ма моттийла, со кехаташца шу кхеро гӀерта аьлла.</verse>
				<verse number="10">ХӀунда аьлча со цавезачара олу: «Цуьнан кехаташ маьӀна долуш, ницкъ болуш ду, ткъа иза ша дуьхьал волуш эгӀаза ву, цо до къамел дегаза а ду».</verse>
				<verse number="11">И бохуш волчунна хаа деза, тхо шуна юкъахь доцчу хенахь тхайн кехаташ тӀехь оха яздеш дерг а, тхо шуна юкъахь долуш оха ден дерг а цхьаъ дуйла.</verse>
				<verse number="12">Тхуна ца лаьа шаьш лакхара хеташ болчу цхьаболчаьрца дустадала а, царах тардала а. Цара, шаьш вовшашца а дустуш, дуьхь-дуьхьал а хӀуьттуш, шайн сонталла гойту.</verse>
				<verse number="13">Дала тхуна билгалдаьккхинчу гӀуллакхан дозанашкахь бен дозаллаш дийр дац оха, ткъа билгалдаьккхинчу гӀуллакхан дозанашна юкъахь шу ма ду.</verse>
				<verse number="14">Тхайна билгалдаьккхинчу дозанел тӀех ца девлира тхо, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна болу хаза кхаъ шуьга дӀа а кхайкхош, шу долчу тхаьш кхаьчча.</verse>
				<verse number="15">Дала тхайна деллачу дозанал тӀех а девлла, тхаьш дина доцучу гӀуллакхех дозаллаш деш дац тхо. Мелхо а, оха сатуьйсу, шун тешар чӀагӀ а луш, Дала тхаьшна тӀедиллинчул тӀех а ца довлуш, кхин а дуккха а гӀуллакхаш шуна юкъахь дан.</verse>
				<verse number="16">ТӀаккха шу долчохь кхайкхийна ца Ӏаш, шуна генахь болчу кхечу мехкашкахь а кхайкхо йиш хир ю тхан хаза кхаъ. Цу тайпана, кхечу цхьаннан дозанашкахь динчу гӀуллакхех дозалла дийр дац оха.</verse>
				<verse number="17">Йозанашкахь ма-аьлла: «Ша дозалла дан лууш волчо — Везачу Элах дозалла дойла».</verse>
				<verse number="18">ХӀунда аьлча ша-шех дозалла деш верг къобал ца во, амма Везачу Эло дозалла деш верг къобалво.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="11">
				<verse number="1">Со жимма сонта хиларна, сатохахьара аша суна. Билггал сатохийша суна!</verse>
				<verse number="2">Дикачу агӀор йолу эмгаралла ю сан шуьца, иза Делера а ю. Ас шуна захало дийцира цхьана стагаца, иза Дала леррина Къобалвинарг ву. Цунна хьалха, цӀена йоӀстаг санна, шу дӀахӀитто лаьа суна.</verse>
				<verse number="3">Амма со кхоьру, шен хӀилланца лаьхьано Ӏехийна йолу Хьава санна, Дала леррина Къобалвинчунна догцӀена а, даггара а тешаме хиларх мухха а шун хьекъалш ледийр дуй те аьлла.</verse>
				<verse number="4">ХӀунда аьлча аша самукъадаларца тӀеоьцу оха шуна хьехнарг а воцуш, кхин Ӏийса шайна хьоьхуш верг. Иштта, тхоьгара схьаэцначу Синах а, хазачу кхоах а тера доццушехь, кхин тайпана долу са а, хаза кхаъ а атта тӀеоьцу аша!</verse>
				<verse number="5">ХӀунда аьлча оцу шун «лакхарчу векалел» со цхьана а хӀуманна тӀехь а оьшуш ца хета суна.</verse>
				<verse number="6">Кхоччуш хаза къамелаш ца дан там бу аса, амма кхетам тӀехь цатоам бац сан. Цунах-м оха массо а хӀуманна тӀехь шу тешийна.</verse>
				<verse number="7">Хаза кхаъ айса шуна дӀакхачош, шуьгара мах а ца боккхуш, шу лакхадахархьама, со лахара а хоьтуьйтуш лелаш хилча, къа латийна хуьлий те аса?</verse>
				<verse number="8">Шуна гӀуллакх дархьама, кхечу динан тобанашкара лечкъош верг санна хуьлура со, цаьргара ахча схьа а оьцуш.</verse>
				<verse number="9">Шу долчохь тхо долуш, цхьацца хӀуманна тӀехь тхаьшна эшам хуьллушехь, шуна цхьанна а бала ца бора оха тхайх. ХӀунда аьлча суна оьшуш дерг Македонера баьхкинчу динан вежарша кхочушдора. Массо а хӀуманна тӀехь шуна сайх бала ца бан гӀиртира со, хӀинца чул тӀаьхьа гӀертар а ву.</verse>
				<verse number="10">Дала леррина Къобалвинчун бакъдерг билггал сайна чохь хиларца аса чӀагӀо йо, Аса дозалла дар Ахай-махкахь цхьаммо а соьгара дӀадоккхур дац аьлла.</verse>
				<verse number="11">ХӀун бахьана ду те цуьнан? Дуй те иза, суна шу ца деза бохург? Далла хаьа, суна шу мел деза!</verse>
				<verse number="12">Амма хӀинццалц леллачу тайпана кхидӀа а лелар ву со, оцу вукху «векалийн», шаьш тхох тера векалш ду аьлла, дозалла дан йиш ца хилийта.</verse>
				<verse number="13">ХӀунда аьлча уьш харцвекалш а, мекара гӀуллакхдийраш а бу. Цара шаьш Дала леррина Къобалвинчун векалш ду моттуьйту.</verse>
				<verse number="14">Иза инзарвала хӀума дац, хӀунда аьлча иблисо ша а моттуьйту ша серлонан малик ду.</verse>
				<verse number="15">Цундела доккха хӀума а дац, нагахь цуьнан гӀуллакх деш тӀаьхьахӀиттинчара шаьш Делан лаамна гӀуллакхаш до моттийтича а. Амма церан чаккхе церан гӀуллакхашка хьаьжжина хир ю.</verse>
				<verse number="16">Аса юха а боху: цхьанна а со сонта ву ма мотталаш. Ткъа шайна со иштта хеташ велахь а, со сонтаниг санна тӀеэцийша, сан жимма а сайх дозалла дан йиш хилийта.</verse>
				<verse number="17">Айса дуьйцург Везачу Элаца волуш санна ца дуьйцу аса, ткъа шен къамелах тешна Ӏаш волчу сонтачо санна дуьйцу.</verse>
				<verse number="18">Кху дуьнен чуьра болчара санна, дукхахболчара дозалла деш хилча, аса а дийр ду дозалла.</verse>
				<verse number="19">ХӀунда аьлча аша, кхетам болуш долчу адамаша, дог дарца садетта оцу сонтачарна.</verse>
				<verse number="20">Аша са ма туху, шайх леш дича а, шайна бала бича а, шайга харж яйтича а, шайна кураллаш йича а, шайн юьхь тӀе йиттича а.</verse>
				<verse number="21">Сайн эхьана эр ду аса, цу тайпана долу гӀуллакхаш лело тхан ницкъ ца кхочура. Нагахь цхьана хӀуманна тӀехь цхьаъ дозалла дан ваьхьаш велахь — аса сонтачо санна боху — со а ваьхьар ву дозалла дан.</verse>
				<verse number="22">Уьш Ӏебархой буй? Со а ву. Уьш исраилхой буй? Со а ву. Уьш ИбрахӀиман хӀух буй? Со а ву.</verse>
				<verse number="23">Уьш Дала леррина Къобалвинчунна гӀуллакх дийраш буй? Аса хьераваьллачо санна дуьйцу, амма со царал а сов Дала леррина Къобалвинчунна гӀуллакх дийриг ву. Цара чул а дукха къахьоьгура аса. Царал а дукха набахти чохь воллура. Царна чул а дукха шодмаш еттара суна. Уьш хуьлучул а дукхазза а Ӏожаллин кхерамехь хуьлура со.</verse>
				<verse number="24">ЯхӀудхоша пхоьазза шед йиттина суна, хӀоразза а ткъе ткъайоьсназза а тухуш.</verse>
				<verse number="25">Кхузза гӀожмаш йиттина суна. Цкъа тӀе тӀулгаш кхиссина суна. Со тӀехь а волуш, хӀордкема кхузза дуьйхира, аса цхьа дей-буьйсий хӀорда чохь а даьккхира.</verse>
				<verse number="26">Мосуьйттазза араваьлла леларг хилла а лелла со. ТӀедевллачу хишкахьара кхерамаш а хилла суна. Талорхошкахьара кхерамаш а хилла суна. Сайн тайпанах болчу нахехьара а кхерамаш хилла. Кхечу къаьмнашкарчу нахехьара кхерамаш беана. ГӀалахь а, яьссачу аренгахь а, хӀорда тӀехь а кхерам болуш лелла со. Динан харцвежаршкахьара кхерамаш лайна аса.</verse>
				<verse number="27">Иштта къахьоьгуш а, болх беш а хилла со. Дукхазза а наб йоцуш а, меца волуш а, хьогах волуш а, кхача боцуш а, шело ловш а, тӀеюха бедар йоцуш а хан яьккхина аса.</verse>
				<verse number="28">Кхузахь хьахийна хӀуманаш доцург, ерриге а динан тобанийн баланийн Ӏаткъам кхочу суна.</verse>
				<verse number="29">Мила ву гӀело хьоьгуш, аса а шеца гӀело хьоьгуш воцург? Мила ву галвалийтина, со кийрахь шех вогуш а воцуш?</verse>
				<verse number="30">Айса дозалла дан дезахь, сайн гӀорасиза хиларх дозалла дийр ду аса.</verse>
				<verse number="31">Гуттара а декъала волу Веза Эла волчу Ӏийсан Да волчу вайн Далла хаьа, со харц луьйш воцийла.</verse>
				<verse number="32">Со Дамасакхехь волчу хенахь, ХӀарти-паччахьан мехкадас Дамасакх-гӀалин Ӏуналла дора, со схьалаца дагахь. Ткъа со корехула тускар чохь пенаца охьаваийтира. Иштта кӀелхьарвелира со цуьнан карара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="12">
				<verse number="1">КхидӀа дозалла дан деза сан, цунах бала цхьа а тайпана пайда бацахь а. Везачу Эло сайна хьалха хӀиттийначу суьртех а, дӀадиллинчу хӀуманех а лаьцна дуьйцур ду аса.</verse>
				<verse number="2">Суна Дала леррина Къобалвинчуьнца волу цхьа стаг вевза. Дейтта шо хьалха, (дегӀаца я синца ваьккхина ца хаьа суна, иза Далла бен хуур дац) и стаг кхоалгӀачу стигала хьалаваьккхина хилла.</verse>
				<verse number="3">И стаг, (дегӀаца я синца делахь а, суна иза ца хаьа, цхьана Далла бен)</verse>
				<verse number="4">ялсамане кхачийна. Цигахь цхьаьнгге а алалур доцу дешнаш хезна цунна. И дешнаш цхьаммо а ала мегар дац.</verse>
				<verse number="5">Ишттачу стагах дозалла дойла ю сан. Ткъа сайх дозалла дойла яц сан, сайн гӀорасизаллех доцург.</verse>
				<verse number="6">Нагахь сайна дозалла дан лиъча а, со сонта хир вац, аса бакъдерг дуьйцу дела. Амма айса сайх дозаллаш дарх юхауьйзу аса со, шух цхьанна соьгара гиначул а, соьгара хезначул а совдерг ца хетадалийтархьама.</verse>
				<verse number="7">Делера долу даккхий дӀаделладаларш бахьана долуш со кура ца валийта, сан дегӀах цхьа кӀохцал дахийтинера: со хьийзорхьама, иблисан геланча ваийтинера!</verse>
				<verse number="8">Везачу Эле кхузза дехнера аса, и кӀохцал сох дӀакъастаде аьлла.</verse>
				<verse number="9">Ткъа Везачу Эло соьга элира: «Тоьар ду хьуна Соьгара долу дика, хӀунда аьлча Сан ницкъ хьан гӀорасизаллехула кхоччуш гучубоккху». Суна чохь Дала леррина Къобалвинчун ницкъ хилийтархьама, сайн гӀорасизаллех долу дозаллаш совдохур ду аса.</verse>
				<verse number="10">Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа иза хиларна, со реза ву сайн гӀорасизаллина а, со дола хетарна а, халонашна а, суна тӀаьхьабовларна а, цатемашна а, хӀунда аьлча со гӀорасиза волччу хенахь сан ницкъ а хуьлу.</verse>
				<verse number="11">Сайх сонтаниг вира аса, амма иза аша дайтира соьга. Сох дозаллаш аша дан дезара, хӀунда аьлча со хӀумма а воцург велахь а, оцу шун «лакхарчу векалел» со цхьана а хӀуманна тӀехь а оьшуш вац.</verse>
				<verse number="12">Шуна юкъахь а хуьлуш, мел долчу собарца со векал хиларан тоьшалла дора ас: аса тамашийна гӀуллакхаш а, инзаре хӀуманаш а, нуьцкъала гӀуллакхаш а дора.</verse>
				<verse number="13">Шуна сайх бала ца бар доцург, кхечу динан тобанашца чул шуьца хӀун вон хилира со? Оцу бехкана къинтӀерадовлалаш суна.</verse>
				<verse number="14">ХӀинца кхозлагӀа а шу долчу ван кийча ву со. Аса бала бийр бац шуна сайх. Шуьгара хӀумма а ца доьху аса, ткъа шу лоьху. Бераш дац шайн дена-нанна бахам бан дезаш, амма дас-нанас шайн берашна бан беза иза.</verse>
				<verse number="15">Лаа а лууш, сайн мел болу бахам а, ур-атталла со-со а дӀалур вара ас шун дуьхьа. Шуьга болу сан безам сов а болуш, соьга болу шун безам лагӀлур буй те?</verse>
				<verse number="16">Шу реза хир ду аьлла хета суна, шуьгара хӀума сайна схьа ца эцна ас. Амма цхьаболчара боху, аса иза сайн мекарлонашца а, хӀилланашца а шуьгара схьаяьккхина.</verse>
				<verse number="17">ТӀаккха шу долчу веанчу цхьанненгахула а сайна пайда ийцирий те аса шуьгара яьккхинчух?</verse>
				<verse number="18">Аса Тите шу долчу вахар дийхира, цуьнца цхьаьна динан вежарех цхьаъ вохуьйтуш. Шуьгара хӀумма а схьаийцирий цо? Дийриг цхьана синехула деш дацара оха, цхьана новкъахула лелаш дацара тхо?</verse>
				<verse number="19">Тхо шайна хьалха бехказадуьйлу-м ца моьтту те шуна хӀинца а? ХӀан-хӀа! Дала леррина Къобалвинчуьнца а долуш, оха Далла хьалха боху шуьга. Ткъа и дерриге а, хьоменаш, шу синца чӀагӀдархьама деш ду.</verse>
				<verse number="20">Кхоьру со, шу долчу веача, сайна луур доцучу тайпана шу хилла карорна. Иштта со кхоьру, со хила луур доцучу кепехь шуна со караварх. Кхоьру со, шуна юкъахь ишттаниг карадарна: девнаш дийлар, хьагӀ хилар, дералла, шена пайда лехар, мотт беттар, харцдерг кхоллар, кураллаш хилар, низам цахилар.</verse>
				<verse number="21">Со кхоьру, шу долчу юхавеача, сан Дала шуна хьалха со лахара хетийтарх. Хьалха къинош а летийна, ткъа хӀинца а сийсаза леларх а, хьарамлонаш лелаярх а, меттаза леларх а дӀа ца бирзина болчу дукхахболчарна тӀехь сайн велха дезарх кхоьру со.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="13">
				<verse number="1">Со кхозлагӀа а вогӀу шу долчу. Делан Йозанаша боху: «ХӀорра а бехкевар шина я кхаа тоьшалла дечеран багахула бен чӀагӀдийр дац».</verse>
				<verse number="2">Со шозлагӀа веанчу хенахь, аса дӀахьедар динера къинош летош болчаьрга а, кхиболчу массаьрга а, ткъа хӀинца, со шу долчу дӀавале, ас кхин цкъа а дӀахоуьйту цаьрга: со юха дӀавеача, цхьаннах а къинхетам бийр бац аса.</verse>
				<verse number="3">Соьгахула бохуш верг Дала леррина Къобалвинарг хиларан тоьшалла лоьху те аша? Шуьца ларош волу Иза гӀорасиза вац. Мелхо а, Цо Шен ницкъ шуна юкъахь гойту.</verse>
				<verse number="4">ХӀунда аьлча Иза гӀорасизниг санна жӀарах дӀатоьхнехь а, амма Делан ницкъаца дийна ву. Иштта тхо а ду, Цуьнца долуш гӀорасиза делахь а, амма шун дуьхьа тхо Делан ницкъаца дехар ду Цуьнца цхьаьна.</verse>
				<verse number="5">Баккъалла а тешарехула шаьш дехаш дуй те аьлла, шаьш-шайн зелаш. Шаьш-шайн талла. Я шуна ца хаьа те, Дала леррина Къобалвина Ӏийса шуьца вуйла? Я зерах чекх ца девлла те шу?</verse>
				<verse number="6">Зерах чекх ца довлалуш тхо ца диснийла шуна хуур ду аьлла, со тешна ву.</verse>
				<verse number="7">Оха Деле доӀанаш до, шуьга цхьана а тайпана зулам ца дайтар доьхуш. Иза оха ца доьху, тхаьш зерах чекхдевлла хилар гайтархьама, амма тхо зерах чекх ца девлла шуна моьттушехь, шуьга дика дайтархьама доьху.</verse>
				<verse number="8">ХӀунда аьлча билггал бакъдолчунна дуьхьалдовла ницкъ бац тхан, амма цунна гӀоле хӀума дан ницкъ болуш ду.</verse>
				<verse number="9">Тхо гӀорасиза долчу хенахь, шу ницкъ болуш хиларна даккхийдеш ду тхо. Оха Деле доӀанаш до, шун кхоччуш кхиар хилар доьхуш.</verse>
				<verse number="10">Со шу долчу вале, яздо аса шуьга, шу долчу веача, Везачу Эло сайна хӀаллакдан а доцуш, синца чӀагӀдарна деллачу олаллица со шуьца тӀех буьрса ца хилийтархьама.</verse>
				<verse number="11">Чекхволуш, динан вежарий, маршалла ло ас шуьга! Кхоччуш хила гӀерталаш, сан кхайкхамашка ладогӀалаш, шайн ойланашца цхьаалла йолуш хилалаш, машарца Ӏелаш. ТӀаккха безаман а, машаран а волу Дела шуьца хир ву.</verse>
				<verse number="12">Доггах вовшашка маршаллаш хатта. Делан долахь болчу массара а маршаллаш доуьйту шуьга.</verse>
				<verse number="13">Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дика а, Делан безам а, Делан Синан тӀекаре а хуьлийла шуьца массаьрца а.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="48">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">ХӀара кехат яздо шуьга аса, векал волчу ПахӀала. Цхьанна а тобано я цхьанна а адамехула къобалвина вац со. Векал а вина, со дӀахьажийнарш бу Дала къобалвина волу Ӏийса а, Иза веллачуьра денвина волу вайн Да волу Дела а.</verse>
				<verse number="2">Аса а, соьца болчу массо а динан вежарша а маршалла доуьйту шуьга, Галата-махкарчу Ӏийсах тешначу нехан тобанашка.</verse>
				<verse number="3">Вайн Да волчу Делера а, вайн Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а долу дика а, машар а хуьлда шуна.</verse>
				<verse number="4">Вайн къинош бахьана долуш Ша дӀавелла Цо, вайн Да волчу Делан лаамца кху зуламечу заманах вай кӀелхьардахархьама.</verse>
				<verse number="5">Сийлалла хуьлийла Цуьнан массо а заманахь. Амин.</verse>
				<verse number="6">Со цецвуьйлу шух! Дала леррина Къобалвинчун маьхза долу дика бахьана долуш Дала шу Шена тӀе ма озийна! Ткъа шу, иштта сиха Цуьнгахьара дӀа а дирзина, кхечу хьехамна тӀаьхьахӀитта дохку.</verse>
				<verse number="7">Ткъа иза-м кхин тайпа хаза кхаъ бац, амма цхьаболу нах бу шун дегнаш чу шеко а тосуш, шуна Дала леррина Къобалвинчо беана хаза кхаъ харцахьабаккха лууш.</verse>
				<verse number="8">Ткъа оха шуна беанчу хазачу кхоана метта я оха а, я стигаларчу малико а кхин кхаъ бахьахь, Делан неӀалт хуьлийла царна.</verse>
				<verse number="9">Айса хьалха ма-аллара, хӀинца юха а боху ас: нагахь аша тӀеэцна болчу кхоана дуьхьал цхьаммо кхин кхаъ беанехь, Делан неӀалт хуьлийла цунна тӀехь.</verse>
				<verse number="10">Ткъа хӀинца нахана хьалха диканиг хилар лоьху те ас я Далла хьалха дика хилар лоьху те? Адамашна хьалха диканиг хилар лоьхий те ас? Нагахь аса адамашна хьалха со дика хетар хӀинца а лехахьара, Дала леррина Къобалвинчун гӀуллакх деш верг хир вацара со.</verse>
				<verse number="11">Аса дӀахоуьйту шуьга, динан вежарий, йижарий, ас шуна кхайкхийна хаза кхаъ адамашкара боцийла.</verse>
				<verse number="12">ХӀунда аьлча аса и хаза кхаъ адамашкара тӀеэцна а бацара, амма Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас и кхаъ суна бовзийтина хилар бахьана долуш, ас и кхаъ тӀеийцира.</verse>
				<verse number="13">Шуна хезна-кх сох лаьцна, хьалха бакъволу жуьгти хилла леллачу хенахь со муха вара. Шуна хаьа, мел къиза тӀаьхьаваьллера со Ӏийсах тешначийн Делан долахь йолчу тобанашна, уьш хӀаллак а еш.</verse>
				<verse number="14">Сайн тайпанара болчу жуьгтийн нийсархошна юкъахь, сайн дайша лелийна Ӏадаташ лардар тӀехь хьалхе йоккхуш стаг вара со.</verse>
				<verse number="15">Со дуьненна тӀе а валале, со къастийначу Дала, Ша суна динчу диканца,</verse>
				<verse number="16">суна хьалха Шен КӀант дӀахӀоттийра, Цунах лаьцна болу хаза кхаъ, жуьгтий боцучу, кхечу къаьмнех болчарна а кхайкхорхьама. Со ца вахара цхьанна а адамах дагавала а,</verse>
				<verse number="17">я Ярушалайм-гӀала а ца вахара со, сол хьалха векалш хилла болчарна тӀе. Амма со Ӏаьрби-махка а вахана, тӀаккха Дамасакх-гӀала юхавирзира.</verse>
				<verse number="18">Цул тӀаьхьа, кхо шо даьлча, ШамӀа-Кипа вовзархьама Ярушалайм-гӀала вахара со. И волчохь аса пхийтта де даьккхира.</verse>
				<verse number="19">Ткъа кхечу векалех, Везачу Элан ваша Якъуб воцург, цхьа а ца гира суна.</verse>
				<verse number="20">Ас шуьга яздийриг бакъ хиларх Дела теш ву.</verse>
				<verse number="21">ТӀаккха Сири-махка а, Килик-махка а вахара со.</verse>
				<verse number="22">Ткъа Дала леррина Къобалвинчух тешаш болчу жуьгташна со юьхь тӀера ца вевзара.</verse>
				<verse number="23">Царна хезнера, наха олуш: «Хьалха вай хӀаллакдан тӀаьхьаваьлла волу стаг ша бухенца дӀадаккха гӀиртина долу дин хӀинца кхайкхош лелаш ву», — аьлла.</verse>
				<verse number="24">ТӀаккха суна тӀера цара Далла хастамаш бора.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Цул тӀаьхьа дейтта шо даьлча, со юха а Бар-Наабаца, сайца Тита а вуьгуш, Ярушалайме вахара.</verse>
				<verse number="2">Со вахара, Дала, цига со ваха веза аьлла, сайна схьадиллина дела. ТӀаккха айса кхечу къаьмнашна юкъахь кхайкхош болу хаза кхаъ цигахь болчу динан вежаршна а бовзийтира аса. Амма аса иза, массо а халкъана юкъахь доцуш, шун керла векалш болчуха лелачарна юкъахь дӀабовзийтира, айса хьалха дина а, хӀинца до а гӀуллакх эрна ца хилар хаархьама.</verse>
				<verse number="3">Ур-атталла соьца волу Тита а, грекахо воллушехь, сунтван ца дийзира.</verse>
				<verse number="4">Ткъа сунтварах лаьцна дийца дийзира тхан. ХӀунда аьлча цхьаболу харцвежарий къайлаха тхуна юкъабаьхкинера, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца хиларна тхан йолчу паргӀатоне а хьаьвсина, юха а тхох леш дархьама.</verse>
				<verse number="5">Оха цара бохург ца дира, хазачу кхоан тӀехь долу бакъдерг шуьца хилийтархьама.</verse>
				<verse number="6">Ярушалаймера тешаш болчу наха лоруш болчара а (уьш хьалха муьлш хиллехь а, суна-м бен а дац, хӀунда аьлча Далла хьалха массо а адам цхьаъ а ду) сан хьехамна хӀумма а тӀе ца туьйхира.</verse>
				<verse number="7">Цара мелхо а чӀагӀдира, хаза кхаъ кхечу къаьмнашна кхайкхор суна тӀедиллина хилар, иза жуьгташна хьехар Кипина тӀедилларе терра.</verse>
				<verse number="8">ХӀунда аьлча Кипех жуьгтийн халкъана векал Винчо, сох а вина кхечу къаьмнашна векал.</verse>
				<verse number="9">Дала и Шен дика суна а деллий хиъча, Ӏийсах тешаш болчу наха шайн гӀортораш лоруш болчу Якъуба а, Кипас а, Яхьъяс а соьга а, Бар-Наабе а доттагӀаллин куьг кховдийра. Цара барт бира, уьш жуьгташна хаза кхаъ кхайкхош баха беза, ткъа тхо иза кхечу къаьмнашна кхайкхош даха деза аьлла.</verse>
				<verse number="10">Деккъа цхьа дехар дира цара: мисканаш дагахь латтабар. Изза дан со а чӀогӀа гӀертара.</verse>
				<verse number="11">Ткъа Кипа Антиох-гӀала веанчу хенахь, иза суна юьхь-дуьхьал волуш, со дуьхьалвелира цунна, и бехке волу дела.</verse>
				<verse number="12">ХӀунда аьлча, Якъуб волчуьра цхьаболу нах схьабахкале, Кипас яа хӀума йоура кхечу къомах сунтбаза болчу нахаца цхьаьна. Ткъа Якъуб волчуьра и сунтбина болу нах баьхкича, царах ийзалуш, иза юьстахвуьйлура.</verse>
				<verse number="13">Цуьнца цхьаьна кхиболу жуьгтий а буьйлабелира моттаргӀанаш ян. Цундела ур-атталла Бар-Нааба а дӀакхийтира моттаргӀанаш лелочарех.</verse>
				<verse number="14">Амма, уьш хазачу кхоан тӀера бакъдолчуьнца нийсса лелаш ца хилар сайна гича, массарна хьалха аса Кипе элира: «Нагахь хьо, жуьгти воллушехь, жуьгтий санна а ца лелаш, кхечу къаьмнех берш санна лелча, ахьа муха гӀертор бу уьш жуьгтийн Ӏадаташ тӀе?</verse>
				<verse number="15">Вайшиъ дуьнен чуволуш дуьйна а жуьгти ву. Шайна тӀехь къинош долчу къаьмнашна юкъа ца вогӀу вайшиъ.</verse>
				<verse number="16">Амма вайна хууш ду, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тешаро бен цхьа а адам Далла хьалха бакъ ца дойла. Товрат-хьехамаш кхочушбарца цхьа а Далла хьалха бакъвийр вац. Иштта вайшиъ Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тешнера, товрат-хьехамаш тӀера гӀуллакхаш кхочушдарца а доцуш, амма ваьш Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тешарца Далла хьалха бакъхилийтархьама. ХӀунда аьлча кху дуьненара цхьа а адам товрат-хьехамаш тӀера бакъахьара гӀуллакхаш кхочушдарца кӀелхьардер дац.</verse>
				<verse number="17">Нагахь, Дала леррина Къобалвинчуьнца хиларна, Далла хьалха ваьш бакъдар лоьххушехь вайшиъ а къинош летораш санна лелча, Дала леррина Къобалвинарг вуй те вайга къилахь долу гӀуллакхаш дойтуш верг? Дера вац!</verse>
				<verse number="18">ХӀунда аьлча, цкъа хӀаллакдинарг юха меттахӀоттош хилча, аса товрат-хьехамашна дуьхьал а ваьлла, со зуламхо хилар гойту.</verse>
				<verse number="19">Товрат-хьехамаша со хӀаллаквина, цундела со оцу хьехамашна гергахь велла ву, Делан дуьхьа вхархьама. Со а, Дала леррина Къобалвинчуьнца жӀарах дӀатоьхча санна, велла.</verse>
				<verse number="20">Бакъдерг аьлча хӀинца вехаш верг со вац, ткъа Дала леррина Къобалвинарг соьгахула вехаш ву. Со дилха долуш вехаш хиларан бахьана ду, со веза а везна, Ша сан дуьхьа дӀавелла волчу Делан КӀантах тешаш со вехаш хилар.</verse>
				<verse number="21">Сайна Дала маьхза делла дика дӀа ца тотту ас. ХӀунда аьлча бакъвар товрат-хьехамо кхочушдеш делахьара, Дала леррина Къобалвинарг валар эрна хир дара!»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">Ва сонта галатахой! Хьан тилийна те шу? Аса хаза кхаъ хьоьхучу хенахь Дала леррина Къобалвинарг жӀарах дӀатохаран сурт ма-хӀуттура шун бӀаьргашна дуьхьал!</verse>
				<verse number="2">Цхьа хӀума хаа лаьа суна шуьгара: товрат-хьехамашна тӀера гӀуллакхаш кхочушдарна делла те шуна Делан Са, я хаза кхаъ а хезна, шу цунах тешарна делла те Иза?</verse>
				<verse number="3">Оццул сонта ду те шу, шаьш Делан Синца долийна дахар адаман шен ницкъах тешна чекхдаккхал?</verse>
				<verse number="4">Аша мел хьегна баланаш эрна хилла те? Со тешна ву и дерриг а эрна хилла ца хиларх!</verse>
				<verse number="5">Шен Са а, шуна юкъахь дина Ӏаламаташ а, аша товрат-хьехамашна тӀера гӀуллакхаш кхочушдарна луш ду шуна Дала, Цуьнгара болу хаза кхаъ а хезна, шу цунах тешарна а доцуш?!</verse>
				<verse number="6">Делан Йозанаш тӀехь ИбрахӀимах лаьцна аьлла ма ду: «Иза тийшира Делах, цундела Дала иза Шена хьалха бакъвина лерира».</verse>
				<verse number="7">Иштта хаалаш, билггала ИбрахӀиман тӀаьхьенах берш Делах тешарш бу.</verse>
				<verse number="8">Делан Йозанаша, хиндерг а дуьйцуш, кхечу къаьмнийн халкъаш а церан тешарехула Дала бакъдийриг хиларх лаьцна хаам бинера ИбрахӀиме: «Дуьнен чуьра массо а халкъаш а Дала хьоьгахула декъалдийр ду», — аьлла.</verse>
				<verse number="9">Цундела тешаш берш Делах тешаш хиллачу ИбрахӀимца а декъала хуьлу.</verse>
				<verse number="10">Ткъа товрат-хьехамашна тӀера бакъахьара гӀуллакхаш кхочушдарца шаьш Далла хьалха бакъхила луурш неӀалтана кӀел бу. ХӀунда аьлча яздина ду: «Товрат-хьехамашна тӀехь яздина долу дерриге а даим а кхочушдеш воцучу хӀоранна а тӀехь неӀалт ду», — аьлла.</verse>
				<verse number="11">Ткъа товрат-хьехамашна тӀера гӀуллакхаш кхочушдарца Далла хьалха цхьа а бакъвийр воцийла вайна хууш ду, хӀунда аьлча: «Делан лаамехь верг Цунах тешарца вехар ву».</verse>
				<verse number="12">Муса-пайхамаран товрат тӀехь долчу бакъахьарачу гӀуллакхийн цхьа а уьйр яц тешарца, цу тӀехь аьлла ду: «Товрат-хьехамаш кхочушбийриг цаьрца вехар ву».</verse>
				<verse number="13">Мах а белла, Дала леррина Къобалвинчо кӀелхьардаьхна вай и товрат-хьехамаш кхочуш ца барна хуьлучу неӀалтах, и неӀалт Шена тӀе а лаьцна. ХӀунда аьлча Делан Йозанаш тӀехь яздина ду: «Диттах ирхъоьллинчу хӀоранна а тӀехь неӀалт ду», — аьлла.</verse>
				<verse number="14">И дерриг а кхочушхилла, Дала ИбрахӀиме лур ду аьлла долу декъалалла, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула кхечу къаьмнашна а далийтархьама а, вайн Шех тешар бахьана долуш, вайна чӀагӀо еш, Ша лур ду аьлла Делан Са вайна далархьама а.</verse>
				<verse number="15">Динан вежарий, йижарий, аса вайн дахарехь долу цхьа масала далор ду шуна. Ур-атталла адамаша шайна юкъахь чӀагӀбина болчу бартана цхьаммо а йиш яц хӀумма а цунна я тӀетоха, я иза бохо а.</verse>
				<verse number="16">Ткъа Дала, чӀагӀо еш, элира Ша ИбрахӀимна а, цуьнан тӀаьхьенах волчунна а лун дерг. Дацара и аьлла: «тӀаьхьенах болчарна» бохург дуккханех лаьцна долуш санна, амма цхьаннах лаьцна долуш санна аьллера, «хьан тӀаьхьенах волчунна» аьлла. Иза ву Дала леррина Къобалвинарг.</verse>
				<verse number="17">Ас бохург хӀара ду: диъ бӀе ткъе итт шо даьлча а, Дала беллачу товрат-хьехамаша Дала Ша кхул хьалха бина болу барт бохо йиш яц. Цундела Ша лур ду аьлла йина чӀагӀо дӀа а ца яьккхира Дала.</verse>
				<verse number="18">Нагахь Дала Ша лур ду аьлларг товрат-хьехамаш кхочушбарна луш делахьара, иза Ша чӀагӀо ярна луш хир дацара. Ткъа ИбрахӀимна Дала Ша лур ду аьлларг, Шен дикалле хьаьжжина, чӀагӀо ярна делла.</verse>
				<verse number="19">ТӀаккха стенна оьшу те товрат-хьехамаш? Уьш тӀетоьхна бара адамашна шаьш летош долу къинош гайтархьама. Иза хир дара ИбрахӀиман тӀаьхьенах верг ваийтталц. Ткъа цу тӀаьхьенах волчунна Дала чӀагӀо йинера, Ша декъалалла лур ду аьлла. Товрат-хьехамаш адамашна юкъа маликашкахула баийтина юкъарло лелошволчун гӀоьнца.</verse>
				<verse number="20">Ша цхьаъ волчунна юкъарло лелошверг ца оьшу. Ткъа Дела цхьаъ ву!</verse>
				<verse number="21">ТӀаккха товрат-хьехамаша Дала йинчу чӀагӀонашна дуьхьало йой те? Йойла а дац! ХӀунда аьлча, нагахь адамашна деллачу товрато Дела волчохь хедар доцу дахар луш делахьара, къинойх бехказадовлар товрат-хьехамаш ма-бохху кхочушбарца доьзна хир дара.</verse>
				<verse number="22">Амма Делан Йозанаша боху массо адамаш къинойн олаллехь ду. Делан Йозанийн Ӏалашо яра Дала чӀагӀо еш лур ду аьлларг Ӏийсах тешачарна дала, церан тешар бахьана долуш.</verse>
				<verse number="23">Ткъа и тешаран зама тӀекхачале, вай оцу товрат-хьехамийн олаллехь дара, Далла хила лиъна долу и тешар довзийтталц.</verse>
				<verse number="24">Иштта Дала леррина Къобалвинарг схьаваллалц, вайна тӀе хӀоттийна волу тӀехьожург санна, дара товрат, тӀаккха Цунах тешар бахьана долуш Далла хьалха вай бакъдархьама.</verse>
				<verse number="25">Ткъа хӀинца, и тешар деана дӀахӀоьттинчу хенахь дуьйна, вай товрат-хьехамийн олаллехь дац кхин.</verse>
				<verse number="26">Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тешарца шу массо а Делан кӀентий ду.</verse>
				<verse number="27">ХӀинца Дала леррина Къобалвинчун дола а довлуш, шаьш хих чекхдахийтина дела, Ӏийсан бедарш тӀеюьйхича санна, Цуьнан васт схьаэцна аша.</verse>
				<verse number="28">Бац шуна юкъахь я жуьгтий а, я кхечу къомах долу адамаш а, я лай а вац, я паргӀатниг а вац, я божарий а, я зударий а дац шу — шу массо а Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна цхьаъ ду.</verse>
				<verse number="29">Нагахь шу Дала леррина Къобалвинчун делахь, тӀаккха шу ИбрахӀиман тӀаьхьенах ду. Цундела шуна а кхочур ду, Дала, чӀагӀо еш, лур ду аьлларг.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">Амма аса боху шуьга: тӀаьхьенах дакъа кхочун долу кӀант пхийттара валале йолчу хенахь, ша массо а хьолан да воллушехь, цхьана а хӀуманна тӀехь лех къаста ца ло.</verse>
				<verse number="2">Цу берана тӀехь олалла а деш, цуьнан дола а деш, тӀехьожуш хӀоттийна ялхо хуьлу, цуьнан дас билгалъяьккхина хан тӀекхаччалц.</verse>
				<verse number="3">Иштта вай а дара, ваьш бераш долчу хенахь, кху дуьненах долчу парзийн а, Ӏадатийн а долахь.</verse>
				<verse number="4">Ша билгалъяьккхина зама тӀекхаьчча, Дала ваийтира зудчо дуьнен тӀе ваьккхина волу Шен КӀант. Иза а вара товрат-хьехамийн долахь,</verse>
				<verse number="5">цу хьехамийн долахь берш паргӀат а баьхна, вайх а Делан бераш дархьама.</verse>
				<verse number="6">Ткъа хӀинца шу Делан бераш хилар гойтуш, Дала Шен КӀентан Са даийтина шун дегнаш чу, массо а Ӏийсах тешаш болчеран санна. Цу Сино Деле кхойкху: «Дада, Сан Да!» — бохуш.</verse>
				<verse number="7">Цундела хьо хӀинца, лай а воцуш, Делан кӀант ву. Ткъа хьох, кӀант хилча, хьо Делехула Цуьнан тӀаьхьенах а ву.</verse>
				<verse number="8">ХӀетахь, Дела шайна ца вевза дела, шу баккъалла а деланаш боцучеран долахь дара.</verse>
				<verse number="9">Ткъа хӀинца, шайна Дела вевзича, цул сов Далла шу а девзича, юха а цхьа а ницкъ боцучу, ледарчу парзашна а, Ӏадаташна а тӀе а дирзина, юха а церан леш хила лаьа те шуна?</verse>
				<verse number="10">Цхьацца денош а, беттанаш а, заманаш а, шераш а лардо аша!</verse>
				<verse number="11">Кхоьру со, аса шуьца мел хьегна къа эрна хиларна.</verse>
				<verse number="12">Хилийша, вежарий, со санна! ХӀунда аьлча со а ма хилира, шу санна. Аша хьалха-м цкъа а цхьа а вониг ма ца дира суна.</verse>
				<verse number="13">13-14 Шуна хаьа, со дуьххьара шуна хаза кхаъ кхайкхош веана волуш, со сайн дегӀаца цамгар йолуш варий. Сох дог дала меттиг яьлла йоллушехь, шу ца даьшна дӀа ца дирзира сох, амма аша со, Делан малик я Дала леррина къобалвина Ӏийса волуш санна, тӀеийцира.</verse>
				<verse number="14">***</verse>
				<verse number="15">Ткъа хӀинца стенга дахана шун хазахетар? Со тешна ву, хӀетахь, шайн йиш хиллехь, шайн бӀаьргаш схьа а даьхна, уьш суна дала а шу кийча хилла хиларх.</verse>
				<verse number="16">Ткъа хӀинца, аса шуьга бакъдерг дийцича, сох шун мостагӀа хилла?</verse>
				<verse number="17">Суна хаьа и шаьш хаза кхаъ бахьа болчух леларш шуна верасалла дан гӀертий. Уьш шу шайгахьа даха лууш бу. Амма цара шу дикане далор дац. Царна, шу тхох дӀа а къастийна, шун озабезам шайгахьа хила лаьа.</verse>
				<verse number="18">Гуттар а озабезамехь хилар дика ду, со шуьца волччу хенахь бен хилла а ца Ӏаш.</verse>
				<verse number="19">Сан бераш! Бер дуьненна чу долуш ненан хуьлу лазарш санна, сан юха а хуьлу-кх и лазам шу бахьанехь. Иза иштта хир а ду, Дала леррина Къобалвинчун вастехь шу хиллалц.</verse>
				<verse number="20">Лаьар-кха суна, хӀинца шу долччохь а волуш, кхечу озаца шуьца дийца, хӀунда аьлча со инзар а вуьйлу шух, со кхеташ а вац-кх шух.</verse>
				<verse number="21">Алийша соьга, товрат-хьехамийн долахь хила лууш дерш, аша ла ца дугӀу те цу тӀехь долчуьнга?</verse>
				<verse number="22">Цу тӀехь яздина ма-ду, ИбрахӀиман ши кӀант хилла аьлла. Цхьаъ гӀарбаш йолчу ХӀажара винарг ву, важа паргӀат йолчу ИбрахӀиман зудчо винарг ву.</verse>
				<verse number="23">ГӀарбаш йолчо винарг массо бераш ма-хиллара вина ву. Ткъа ша паргӀат йолчо винарг Дала чӀагӀо еш аьллачуьнца вина ву.</verse>
				<verse number="24">Иза шен кхин маьӀна долуш дустар ду. И ши зуда Дала бина ши барт санна хуьлу. Цхьаъ Синай олучу лам тӀехь бина барт бу. Цу бартаца леш беш хиларна, иза лай вина йолу ХӀажар санна хуьлу.</verse>
				<verse number="25">Ткъа Ӏаьрби-махкахь болу Синай-лам «ХӀажарца» боьзна бу. Иза хӀинца а лаьттахь йолуш йолу Ярушалайм санна лору. ХӀунда аьлча Ярушалайм а, Цуьнан бераш санна лоруш болу бахархой а лоллехь бу.</verse>
				<verse number="26">Ткъа вайн нана санна лоруш йолу стигалшкара Ярушалайм паргӀат ю.</verse>
				<verse number="27">Яздина ма-ду: «Хазахета хьайна, бер ца хуьлуш ерг, цкъа а бер хилла а йоцург! Хазахетарца йоккхае, бер хуьлуш лазарша ца хьийзийнарг, хӀунда аьлча йитинчун бераш сов ду, майра волуш йолчун чул».</verse>
				<verse number="28">Ткъа шу, динан вежарий, Исхьакх а санна, Делан чӀагӀонца хилла бераш ду.</verse>
				<verse number="29">ХӀетахь стеган лаамца дуьнен чу ваьллачо Делан Са бахьана долуш ваьлларг эккхош хилла. Иза хӀинца а ду иштта.</verse>
				<verse number="30">Ткъа хӀун боху Делан Йозанаша? «Эккхае и гӀарбаш а, цуьнан кӀант а, хӀунда аьлча гӀарбашо винчу кӀанта паргӀат йолчо винчу кӀантаца тӀаьхьадисинарг доькъур дац».</verse>
				<verse number="31">Цундела, динан вежарий, вай гӀарбашан бераш а доцуш, паргӀат йолчун бераш ду.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">Дала леррина Къобалвинчо вай паргӀатонехь дахийтархьама елира вайна паргӀато. Цундела чӀагӀлой Ӏе шайн паргӀатонехь, шаьш цхьаьнгге а юха а лолла ца лацийта.</verse>
				<verse number="2">Аса, ПахӀала, боху шуьга: нагахь аша шаьш сунтдайтахь а, Дала леррина Къобалвинчуьнгахьара цхьа а пайда хир бац шуна.</verse>
				<verse number="3">Аса кхин а цхьа тоьшалла до хӀора ша сунтвойтуш волчуьнга, цо товрат-хьехамаш тӀера дерриге а гӀуллакхаш кхочушдан деза аьлла.</verse>
				<verse number="4">И хьехамаш кхочушбарца Далла хьалха бакъдар ду моьттуш долу шу, Дала леррина Къобалвинчух дӀа а къаьстина, Дала луш долчу диканах девлла.</verse>
				<verse number="5">Ткъа тхо сатуьйсуш ду тхешан тешарехула Далла хьалха тхаьш бакъдаре. Тхо цунах тешна а ду, Цуьнан Сино тхайна чохь дийриг бахьана долуш.</verse>
				<verse number="6">ХӀунда аьлча Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца тхо хӀинца цхьаъ хиларна, цхьа а маьӀна дац я сунтваран а, я сунт ца варан а. Далла хьалха маьӀна долу хӀума цхьаъ ду: безаман гӀуллакхаш хуьлуьйту тешар хилар.</verse>
				<verse number="7">Шу хаза догӀуш дара. Ткъа хьан йира те шуна бакъдолчунна тӀаьхьахӀитта новкъарло?</verse>
				<verse number="8">Шу бакъдолчунна тӀера дӀадохуш болу кхетам шуьга Шена тӀекхойкхучу Делера бац.</verse>
				<verse number="9">«КӀеззигчу муьстачу бедо берриг а бод совсабо».</verse>
				<verse number="10">Далла хьалха со тешна ву аша шайн кхетам хуьйцург ца хиларх, ткъа шун дегнаш чу шеко тосуш волчунна кхел хир ю, милла а иза велахь а.</verse>
				<verse number="11">Ткъа, динан вежарий, нагахь аса хӀинца а сунтварах лаьцна кхайкхамаш беш белахьара, со хьийзо тӀаьхьабевр барий суна? Иза иштта делахьара, сан жӀарах лаьцна болчу хьехамаша цхьанна а вас йийр яцара!</verse>
				<verse number="12">Шу гӀалатдохуш берш, шаьш сунтбина а ца Ӏаш, баьӀна а хилахьара!</verse>
				<verse number="13">Ткъа шу, динан вежарий, Дала паргӀатоне кхайкхина ду. Амма ма битийша меттиг и паргӀато зуламна хилийта, шайн хьарам лаамаш кхочушбарца. Дейша гӀуллакхаш вовшашка безам болуш.</verse>
				<verse number="14">ХӀунда аьлча товрат-хьехамийн дуьззина долу маьӀна хӀокху дешнаш чохь ду: «Хьайн уллораниг хьо санна веза».</verse>
				<verse number="15">Амма, нагахь аша вовшашца къийсамаш а беш, шу вовшийн даа дуьйлалахь, хьовсалаш, баккъалла а шаьш а хӀаллак ца хилийта!</verse>
				<verse number="16">Цундела боху ас шуьга, Делан Сино шаьш лела ма-дарра лела, тӀаккха шайн хьарам лаамаш кхочушбийр бац аша.</verse>
				<verse number="17">Вайн хьарам лаамашна гуттара а лаьа Делан Синан лаамана дуьхьал дерг дан. Уьш гуттара а вовшашна дуьхьал хуьлу, шуьга шайна луург ца дайтархьама.</verse>
				<verse number="18">Ткъа Делан Сино шу лелош делахь, шу товрат-хьехамийн долахь дац.</verse>
				<verse number="19">Вайн хьарам лаамаш вайна бевзаш бу. Уьш бу: нахаца лелар, боьха лаамаш хилар, къилахь долу хӀума дар,</verse>
				<verse number="20">цӀушна корта беттар, бозбунчалла леладар, мостагӀалла хилар, девнаш дахар, эмгаралла лелор, оьгӀазъэхар, дагазаллаш хилар, барт ца хилар, декъадалар,</verse>
				<verse number="21">цабезам хилар, малар тӀехдаккхар, лар тӀера валар, иштта кхидолу а ца оьшу хӀуманаш дар. Цунах лаьцна, айса хьалха а ма-аллара, хӀинца а боху аса шуьга, и гӀуллакхаш деш берш Делан Олалле кхочур бац.</verse>
				<verse number="22">Ткъа Делан Сино кхуллуш дерг хӀара ду: безам, хазахетар, деган машар, доккха собар, вовшашца безамехь хилар, дикалла, тешаме хилар,</verse>
				<verse number="23">эсала хилар, чуьра ца валар. Ишттачу леларна дуьхьал цхьана а бакъонаша а вониг дойла дац.</verse>
				<verse number="24">Амма шаьш Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан болчара шайн хьарам лаамаш, шайн боьхачу ойланашца, жӀарах дӀатоьхна.</verse>
				<verse number="25">Вайн дахар Делан Синца хилча, тӀаккха Делан Сино ма-бохху лела вай.</verse>
				<verse number="26">Ца дер вай дозаллаш. Ца хир вай вовшашна оьгӀазъоьхуш а, вовшашка хьагӀ йолуш а.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="6">
				<verse number="1">Динан вежарий! Нагахь шух цхьаъ ларамаза къино лаьцнехь, аша, Делан Сино лелош долчара, шайн эсалчу амалца нисве иштаниг, амма, хьовсалаш, шаьш къиношка ца зейта.</verse>
				<verse number="2">Дала леррина Къобалвинчо тӀедиллинарг кхочушдархьама, дахаран мохь базбелча, вовшашна гӀо де.</verse>
				<verse number="3">Нагахь цхьаннан, ша баккъалла а волчул, ша-шех лакхара ойла елахь, цо ша-шен Ӏехаво.</verse>
				<verse number="4">ХӀораммо а дечу гӀуллакхашца ша-шен зе, тӀаккха цуьнан дозалла дан а йиш хир ю, ша кхечаьрца а ца вустуш.</verse>
				<verse number="5">ХӀора адамна а Дала шен-шен дахаран мохь белла.</verse>
				<verse number="6">Ткъа Делан дош тӀеоьцуш волчо шен долуш дерг кховдаде и дош хьоьхуш волчуьнга.</verse>
				<verse number="7">Шу Ӏеха ма лолаш! Дела-м Ӏехалур вац, хӀунда аьлча адамо ша дӀадийнарг хьокхур а ду.</verse>
				<verse number="8">Шен хьарам лаам кхочушбеш, къилахь долу хӀу тосучо хӀаллакьхиларан ялта хьокхур ду. Ткъа Делан Синан лаам кхочушбеш хӀу тосучо, Делан Сино луш долчу, хедар доцучу дахаран ялта хьокхур ду.</verse>
				<verse number="9">Дика дан кӀад ма лолаш. Нагахь вай дика дан мало ца яхь, тӀейогӀур ю и хан, ваьш динчу гӀуллакхийн кхиамаш вайна карош.</verse>
				<verse number="10">Вайн дан таро йолччуьра, дер вай вежаршна дика, къаьсттина вешан динан вежаршна.</verse>
				<verse number="11">Гой шуна мел даккхийчу элпашца яздо ас шуьга сайн куьйгаца?!</verse>
				<verse number="12">Шу сунтдан тӀетеӀош берш шайх тамаш байта лууш бу. Царна ца лаьа Дала леррина Къобалвинарг жӀарах дӀатохар бахьана долуш шаьш хьийзадайта.</verse>
				<verse number="13">Ткъа и сунтбинарш шаьш а бац шайн дахарехь товрат-хьехамаш кхочушбеш бехаш. Ткъа царна лаьа шу сунтдан, тӀаккха и бахьана долуш дозаллаш дархьама.</verse>
				<verse number="14">Суна-м ца лаьа цхьана а хӀуманна тӀехь дозалла дан, вайн Везачу Элан, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан, жӀарах дӀатохаран тӀехь бен! И жӀара бахьана долуш хӀара дуьне суна дӀадаьллера, ткъа со а кху дуьненна дӀаваьллера.</verse>
				<verse number="15">Я сунтвар а, я сунт ца вар а хӀумма а доцу хӀума ду, хьох юхакхоьллинарг хилар воцург!</verse>
				<verse number="16">И дешнаш кхочушдеш долчу массарна а, Делан долчу Исраилан халкъана а Делан къинхетам а, машар а хуьлийла.</verse>
				<verse number="17">ТӀаьххьара а: цхьаммо а бала ма бойла суна, хӀунда аьлча Ӏийсан чевнаш аса сайн дегӀаца лелош ю.</verse>
				<verse number="18">Вайн Везачу Эло, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас, дина маьхза долу дика хуьлийла шун синошца, сан вежарий. Амин.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="49">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">Делан лаамца Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан векал волчу ПахӀала яздо, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсана тешаме а болуш, Эпасехь бехачу Делан нахе.</verse>
				<verse number="2">Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а долу дика а, синпаргӀато а хуьлда шуна.</verse>
				<verse number="3">Декъала хуьлда вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан Дела а, Да а. Цо Ӏийсаца декъалдина вай стигалшкахь массо а тайпана синан декъалдаршца.</verse>
				<verse number="4">Дуьне а кхоллале, вай Ӏийсагахула къастийна дара Цо, Шена хьалха вай цӀена а, деза а хилийтархьама. Шена вай деза дела,</verse>
				<verse number="5">хаьржина Дала, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула вайх Шен бераш дархьама. Иштта яра Цуьнан Ӏалашо, иштта бара Цуьнан лаам.</verse>
				<verse number="6">Цунна везаш волчу Цуьнан КӀантехула Цо вайна деллачу сийлахьчу диканна вай хастамаш бойла Цунна.</verse>
				<verse number="7">Ӏийсас, Шен цӀий Ӏанорца мах а белла, вай паргӀат а даьхна, вайн къиношна геч а дина. Ткъа иза Дала вайна шортта деллачу дикане хьаьжжина ду.</verse>
				<verse number="8">И дика тӀех дукха делла вайна Дала мел хуьлучу хьекъалаллица а, кхетамца а.</verse>
				<verse number="9">Шен къайлаха йолу Ӏалашо йовзийтира вайна Дала, ткъа и Ӏалашо хьалххе дуьйна билгалъяьккхина а ю, Цо леррина Къобалвинчуьнца йоьзна а ю.</verse>
				<verse number="10">Ткъа Делан Ӏалашо иштта ю: хенаш кхочуш хиллачу хенахь Цо стигалахь а, лаьтта тӀехь а мел дерг цхьаьнатухур ду, Ша леррина Къобалвинарг коьртехь а волуш.</verse>
				<verse number="11">Ша леррина Къобалвинчуьнгахула Дала вай Шен долахь хилийта хаьржира. Массо а хӀума Шен лаамца а, сацамца а кхочушдеш Волчо, Шен Ӏалашоне хьаьжжина, билгалдаьккхинера иза иштта.</verse>
				<verse number="12">Дала леррина къобалвинчу Ӏийсага хьалха дуьйна сатуьйсуш долчу вайга Делан сийлалла даздайта дина дара иза.</verse>
				<verse number="13">Шаьш кӀелхьардовларх лаьцна болу билггал бакъболу хаза кхаъ шайна хезча, шу а Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьнатуьйхира. Цунах шу тешна дела, Дала шуна тӀе Шен мухӀар туьйхира, Ша лур ду аьлла долу Шен Деза Са даларца.</verse>
				<verse number="14">Шен долахь берш кхоччуш паргӀатбаххалц, Делан Са Дала вайна лур долчунна закъалтана делла ду. Дала иза Шен сийлалла вайга хастадайтархьама дина.</verse>
				<verse number="15">И дерриге а бахьана долуш, Веза Эла волчу Ӏийсах шун долчу тешарх а, Делан долахь болчу массаьрга а шун болчу безамах а лаьцна сайна хезначхьана,</verse>
				<verse number="16">сайн доӀанашкахь, шу дага а лоьцуш, саццаза шуна тӀера Далла баркаллаш боху аса.</verse>
				<verse number="17">Вайн Веза Эла волчу а, Ша леррина къобалвинчу а Ӏийсан Дала, сийлаллин Дас, Шех дерг кӀоргге хаийта шуна хьекъалаллин а, довзийтаран а Са лойла.</verse>
				<verse number="18">18-19 Шун дегнашна тӀера пардо дӀадоккхийла Цо, шу тӀекхайкхина долу сатийсар а, Шен нахана лур ду аьлла долчун хьал муха ду а, Шех тешаш долчу вайна чохь лела барам боцу боккха ницкъ бохург хӀун ду а шуна хаийтархьама. И боккха ницкъ</verse>
				<verse number="19">***</verse>
				<verse number="20">Ша леррина Къобалвинчунна чохь лелийтира Дала. Иза, веллачуьра ден а вина, стигалшкахь Шена аьтту агӀор охьахаийра Цо.</verse>
				<verse number="21">Цо Иза охьахаийна, стигаларчу массо а хьаькамел а, куьйгалхойл а, ницкъел а, олахойл а лакхара а вина, муьлхха а кху заманчохь йоккхуш йолчу цӀарал лакхара вина ца Ӏаш, массо а хин йолчу заманашкахь йоккхур йолчу цӀарал лакхара а вина.</verse>
				<verse number="22">Шадерг Цуьнан когашка а диллина, Иза Дала динан ерриге а тобанна веллера, массо а хӀуманна тӀехь коьртаниг хилийта.</verse>
				<verse number="23">Ӏийсах тешачийн ерриге а тоба — Дала леррина Къобалвинчун дегӀ ду. И тоба Цунах кхоччуш юзуш ю. Ткъа Дала леррина Къобалвинчо массо а хӀума массанхьа а Шеца дузадо.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Ткъа шу хӀетахь делла дара, шайн зуламаш а, къинош а бахьана долуш.</verse>
				<verse number="2">Цхьана хенахь, и къинош тӀехь а долуш, кху дуьненан вочу некъашна тӀедевлла а, хӀаваан ницкъийн элана тӀаьхьахӀиттина а лелаш ма дара шу. Цу эло хӀинца а муьтӀахь боцучу нехан дегнаш чохь болх бо.</verse>
				<verse number="3">Цхьана хенахь вай массо а Ӏийра оцу нахана юкъахь, вешан хьайна болчу лаамех а дуьзна. Вешан догӀмийн а, ойланийн а хьарам болу лаамаш кхочушбора вай. Кхиболу нах санна, вайн амалшка хьаьжжина, Делан оьгӀазло тӀеян дезаш дерш дара вай.</verse>
				<verse number="4">Амма инзаре боккха къинхетам болуш волчу Дала, боккхачу безамца вай Шена дезарна,</verse>
				<verse number="5">къинош а летийна, делла хилла долу вай, Ша леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна дендина. Делан доккхачу диканца кӀелхьардаьхна ду шу.</verse>
				<verse number="6">Вай Цуьнца, ден а дина, стигалшкахь охьаховшийна Дала, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсаца вай доьзна хиларехула.</verse>
				<verse number="7">Цо иза дина, тӀейогӀун йолчу заманашна Шен диканан башха долу хьал гайтархьама. Ткъа Шен доккха дика Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула вайга болчу безамехь гойтуш ду.</verse>
				<verse number="8">Ӏийсах тешна дела, Делан доккхачу диканца кӀелхьардаьхна шу. Ткъа иза шуьгара дац. Иза Делан совгӀат ду.</verse>
				<verse number="9">Аша дика гӀуллакхаш дина хиларна делла дац иза, цундела шух цхьаммо а дозалла ма де.</verse>
				<verse number="10">Вай Дала кхоьллина тайпа ду. Ша леррина къобалвинчу Ӏийсаца вай доьзна хиларна, Дала вай кхоьллина, хьалххе дуьйна Ша вайна кечдина долу дика гӀуллакхаш вайга кхочушдайтархьама.</verse>
				<verse number="11">Цундела дагахь латтаде: кхечу къаьмнех схьадевлла долу шу цхьана хенахь Делан нахана юкъа ца догӀура. Шух «сунтбаза нах» олура «сунтбинарш» цӀе йолчу наха, ткъа уьш сунтбар адамийн куьйгашца дина ма дара.</verse>
				<verse number="12">Цу хенахь Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна дацара шу. Делан долахь долчу Исраилан халкъах дӀакъастийна дара шу. Делаца бинчу бертан а, цу чу йогӀучу чӀагӀонийн а декъахь а дацара шу. КӀелхьардовларе догдохийла дацара шун. Дуьнен чохь шу Ӏеса адамаш дара.</verse>
				<verse number="13">Шаьш Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца доьзна хилар бахьана долуш, цхьана хенахь генара хилла долу шу хӀинца Цуьнан цӀийца гергара хилла.</verse>
				<verse number="14">Ӏийса вайна юкъахь Бартбийриг ву, шина халкъах цхьаъ а дина. Боькъуш болу пен санна долу мостагӀалла вайна юкъара дӀадаьккхина Цо,</verse>
				<verse number="15">Шен дегӀ сагӀина дӀадаларца. Цу тайпана, товрат тӀехь долу тӀедехкинарш а, парзаш а кхочушдар эрна дира Цо, шина халкъах Шеца доьзна долу цхьа керла халкъ кхоллархьама, царна юкъахь барт а беш.</verse>
				<verse number="16">ЖӀарах дӀатохар бахьана долуш, цхьана дегӀа чохь и ши халкъ Делаца тайтира Иза, ткъа церан мостагӀалла дӀадаьккхира Цо.</verse>
				<verse number="17">Ван а веана, шуна, генарчарна а, уллорачарна а, бартах болу хаза кхаъ кхайкхийра Ӏийсас,</verse>
				<verse number="18">хӀунда аьлча вайн шина а халкъан цхьаъ долчу Делан Синца Ӏийсагахула Дена тӀекхочийла долу дела.</verse>
				<verse number="19">И бохург ду, шу хӀинца вовшашна хийра а дац, тӀедаьхкинарш а дац, ткъа Делан нехан махкахой а ду, Делан доьзалхой а ду.</verse>
				<verse number="20">Векалийн а, пайхамарийн а бух тӀехь хьалахӀиттийна ду шу. Ткъа Дала леррина къобалвина волу Ӏийса Ша са болу коьрта тӀулг бу.</verse>
				<verse number="21">Иза бахьана долуш, и ерриге а гӀишло тайна цхьаьнатухуш ю, Везачу Элана лерина долу Деза цӀа цунах хьала а хӀоттош.</verse>
				<verse number="22">Иза бахьана долуш, шу а дӀахӀиттош ду, Дела Шен Синехула Ӏаш волу меттиг хилийтархьама.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">Цундела кхечу къаьмнех болчу нехан дуьхьа Дала леррина къобалвинчун тутмакх волчу аса, ПахӀала, доӀа до.</verse>
				<verse number="2">Сан шеко яц, Дала Шен доккхачу диканца шун дуьхьа суна тӀедиллинчу гӀуллакхах лаьцна шуна хезна хиларх.</verse>
				<verse number="3">И къайле суна Делера болчу хаамца йовзийтинера, лакхахь цунах лаьцна аса доцца яздина ма-хиллара.</verse>
				<verse number="4">Цундела, дӀаяздинарг шаьш доьшуш, шу кхета мега, Дала леррина къобалвинчух йоьзна йолчу цу къайленах сан кхетам муха бу.</verse>
				<verse number="5">Хьалхалерчу адамийн тӀаьхьенашна и къайле йовзийтина яцара. Амма хӀинца Дала базбинчу векалшна а, пайхамаршна а Делан Синца иза йовзийтира.</verse>
				<verse number="6">Ткъа и къайле иштта ю: хаза кхаъ бахьана долуш, жуьгташца цхьаьна кхечу къаьмнех долчу адамашна а кхочур ду Дала лун дерг, уьш а бу цхьаъ долчу дегӀан декъехь, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Дала йинчу чӀагӀонийн декъахой а бу уьш.</verse>
				<verse number="7">Дала суна дина дика бахьана долуш, хазачу кхоан гӀуллакхдархо хилла сох. И Делан совгӀат суна делла Цуьнан ницкъаца.</verse>
				<verse number="8">Суна, Делан долахь болчарна юкъахь уггар а лахара волчунна, деллера Делан доккха совгӀат: кхечу къаьмнийн нахана Дала леррина Къобалвинчун кӀорггера довзийла доцучу хьолах лаьцна болу хаза кхаъ дӀакхайкхор а,</verse>
				<verse number="9">Дала и къайле кхочуш муха йо адамашна довзийтар а. Массо а хӀума кхоьллина волчу Дала абаденера дуьйна хьулйина яра и къайле.</verse>
				<verse number="10">И динера, динан ерриге а тобанехула стигаларчу хьаькамашна а, куьйгалхошна а массо а тайпанара долу Делан хьекъалалла хӀинца дӀадовзийтархьама.</verse>
				<verse number="11">Абаденехь дуьйна билгалдаьккхина ма-хиллара, вайн Веза Эла волчу, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула иза кхочушдина Дала.</verse>
				<verse number="12">Ӏийсах тешарехула майрра а, доьналла долуш а Далла тӀекхочийла ду вайн.</verse>
				<verse number="13">Иштта ас Деле доьху, шун дуьхьа айса баланаш хьоьгуш хиларна, сан дог ца эшор. И баланаш — шун сийлалла ду.</verse>
				<verse number="14">Цундела со сайн голашна тӀе хӀутту стигаларчу Дена хьалха.</verse>
				<verse number="15">Цуьнгара стигалшкахь а, лаьтта тӀехь а болу массо а доьзалша шайн-шайн амал схьаоьцу.</verse>
				<verse number="16">Ас доӀа до, Шен сийлаллин хьоле а хьаьжна, Дала Шен Синца шун чохь болу синкхетам чӀагӀбар доьхуш.</verse>
				<verse number="17">Иштта доӀа до ас, шу Цунах теша а тешаш, Дала леррина Къобалвинарг шун дегнаш чохь, цӀахь санна, вахийтар доьхуш. Ас доӀа до, шун безаман орамаш хилар а, безам тӀехь шу чӀагӀделла хилар а доьхуш.</verse>
				<verse number="18">Дала базбинчаьрца массаьрца а цхьаьна шу а кхетийла мел шуьйра а, беха а, лекха а, кӀорга а бу Дала леррина Къобалвинчун безам.</verse>
				<verse number="19">Адамийн кхетамал сов болу Дала леррина Къобалвинчун безам бовзийла шуна, Делан йолчу амалх шу а кхоччуш дузийтархьама.</verse>
				<verse number="20">Ткъа Цунна, вайна чохь болх беш болчу ницкъаца вай мел доьхуш долчул а, я вайн дагахь мел долчул а дуккха а алсам далуш Волчунна,</verse>
				<verse number="21">Цунна хастам бу динан ерриге а тобанера а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца мел волчуьнгара а массо а тӀаьхьенашкахь а, абаденналц а! Амин.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">Варелаш, аса, Везачу Элан тутмакхо, дехар до шуьга, шаьш тӀекхайкхина долчу дахаре хьаьжжина, оьзда лелалаш.</verse>
				<verse number="2">Вовшашна муьтӀахь хиларца а, эсалчу амалца а, доккхачу собарца а массо а хенахь лелалаш. Даггара болчу безамца вовшашна садетталаш.</verse>
				<verse number="3">Делан Сино луш йолу цхьаалла ларъян хьовсалаш, вовшашца уьйр хуьлуьйту барт а болуш.</verse>
				<verse number="4">Массо а тешачийн цхьа дегӀ а, цхьа Делан Са а ду, цхьана сатийсаме шу тӀекхайкхина ма-хиллара.</verse>
				<verse number="5">Цхьа Веза Эла а, цхьа тешар а, цхьаъ долу хих чекхдахар а ду.</verse>
				<verse number="6">Массеран цхьа Дела а, Да а ву. Иза массарна тӀехь а ву, массаьргахула болх беш а ву, массарна чохь волуш а ву.</verse>
				<verse number="7">Ткъа вайх хӀоранна Дала леррина Къобалвинчунна дала лиъначу барамца Делан доккха дика делла дара.</verse>
				<verse number="8">Цундела Делан Йозанаша боху: «Лакхенга хьала а ваьлла, Ша йийсар биначарна хьалхахӀоьттира Иза. Адамашна Цо совгӀаташ делира».</verse>
				<verse number="9">Ткъа «хьалаваьллера» бохург кхин хӀун ду, цкъа хьалха лаьтта тӀе охьавеанера Иза бохург дацахь?</verse>
				<verse number="10">Охьавеанарг а, Шеца массо а хӀума дузархьама, массо а стигалел Лакхаваьлларг а Цхьаъ ву.</verse>
				<verse number="11">Цо Ша дӀахӀиттийнера цхьаберш векалш бина, шолгӀанаш пайхамарш бина, вуьш хаза кхаъ кхайкхорхой бина, кхинаш, Ӏуьно жа санна, динан тоба Ӏалашйийраш а, динан хьехамчаш а бина.</verse>
				<verse number="12">Делан долахь берш кечбан дина дара иза, цаьрга Далла гӀуллакх дайта а, Дала леррина Къобалвинчун дегӀ дӀахӀотто а.</verse>
				<verse number="13">Тешарехь а, Делан КӀант вовзарехь а вай массо а цхьаалла йолуш хиллалц дина дара иза, Дала леррина Къобалвинчун кхачамечу дарже хьаьжжина, вай дуьззина хиллалц.</verse>
				<verse number="14">Цу хенахь, бераш санна, кхин хир дац вай, хинкема санна а, кхин хир дац вай. Жима хинкема тулгӀенаша а, мохо а лелоре терра, вай а ду харц хьехамаша атта Ӏехош. Оцу харц хьехамаша тайп-тайпана мекарлонаш а йой, шайн мел долчу хӀилланца вай тиладолуьйту.</verse>
				<verse number="15">Амма вай, билггал бакъдерг даггара болчу безамца а дуьйцуш, массо а хӀуманна тӀехь динан коьрте кхоччуш хьалакхуьур ду. И корта — Дала леррина Къобалвинарг ву.</verse>
				<verse number="16">Цуьнан дегӀ хилла лаьтташ йолу ерриге а динан тоба а Цунах хьалакхуьу. Цуьнан олаллехь йолу массо а тайпана дегӀан меженаш хьорзамашца вовшах а тосу, цхьаьна а латтайо. ХӀора межено, шен-шен похӀме хьаьжжина, болх а беш, дерриг а дегӀ безамца хьала а кхиадой, дӀахӀоттадо.</verse>
				<verse number="17">Цундела, Везачу Элан цӀарах боху ас шуьга: варелаш, пайденна йоцу ойланаш а еш, хӀинца чул тӀаьхьа кхечу къаьмнех болу нах санна ма Ӏелаш.</verse>
				<verse number="18">Церан кхетам боданехь а бу, Делаца долчу дахарна херабевлла а бу уьш, хӀунда аьлча церан хьекъал а дац, церан дегнаш хӀуъа а бен ца хеташ а ду.</verse>
				<verse number="19">Дерриг эхь а дайина, шайн догӀмийн боьхачу лаамашна тӀаьхьа а бевлла, шаьш лелош долу тайп-тайпана маьттаза хӀуманаш ца Ӏебаш кхочушдо цара.</verse>
				<verse number="20">Амма Дала леррина Къобалвинарг иштта ца вевзинера шуна.</verse>
				<verse number="21">Дала леррина Къобалвинчух лаьцна шуна хезнера. Цуьнца доьзна шу хиларе терра, Ӏийсах лаьцна долу билггал бакъдолчуьнца догӀуш ма-хиллара шу Ӏамийнера.</verse>
				<verse number="22">Иштта, хьалхалерчу ширачу адаман лелар дита. Стаг Ӏехош болчу лаамаша талхош ду и шира адам.</verse>
				<verse number="23">Шайн са а, хьекъал а карладаккхийта.</verse>
				<verse number="24">Билггал нийса а долуш, цӀена а долуш, Делах тера кхоьллина долу керла адам а хилий, дӀахӀитта.</verse>
				<verse number="25">Вай вовшийн меженаш йолу дела, харцдерг дӀа а таттий, вовшашка бакъдерг дийца.</verse>
				<verse number="26">Шаьш дарделлачу хенахь къинош ма летаде. Малх дӀа ма бузийта, шаьш дарделлачохь а дуьсуш.</verse>
				<verse number="27">Ма йита иблисана цхьа а меттиг.</verse>
				<verse number="28">ХӀума лечкъош хиллачо кхин ма лечкъае. Мелхо а, шен куьйгашца диканиг а деш, къахьега деза цо. ТӀаккха мискачунна кховдо хӀума а хир ю цуьнан.</verse>
				<verse number="29">Шайн багара цхьа а оьзда доцу дош ма далийта. Ткъа олу дош диканиг хилийта, оьшшучу хенахь кхиберш иракара а хӀиттош, ладугӀуш болчарна тамехь а долуш.</verse>
				<verse number="30">Делан Дезачу Синна хала ма хетийта. Дала шуна тӀе тоьхна мухӀар ма ду Иза, паргӀатдахаран денна тӀекхаччалц.</verse>
				<verse number="31">Шух доллучу массо а вонца цхьаьна шайна тӀера муьлхха а кхоьлина хилар а, дералла а, оьгӀазло а, мохь хьекхар а, вониг алар а дӀадаккха.</verse>
				<verse number="32">Амма вовшашца дика а, къинхетаме а хила. Дала шуна Ша леррина Къобалвинчуьнгахула гечдаре терра, шу а вовшашна къинтӀера довла.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">Иштта, Далла дезна долу бераш шу хиларна, Делах тера хилалаш.</verse>
				<verse number="2">Даггара болчу безамца лелалаш, вай деза а делла, вайн дуьхьа Шен са хаза хьожа йогӀучу сагӀина а, Далла тамехь долчу гӀурбанна а дӀаделла волу Дала леррина Къобалвинарг санна.</verse>
				<verse number="3">Нахаца лелар а, боьха лаамаш а, бӀаьрмециг хилар а — и хӀуманаш, шу Делан долахь долу дела, ур-атталла цӀе йоккхуш а ма хуьлийла шуна юкъахь.</verse>
				<verse number="4">Иштта маьттаза къамелаш а, эрна хабарш а, эргӀада дийцар а ма хилийта. Мелхо а, Далла баркалла алар гӀоле ду шуна.</verse>
				<verse number="5">ХӀунда аьлча хӀара хаалаш: цхьа а нахаца леларг, я боьха лаамаш берг, я бӀаьрмециг верг (иза цӀушна Ӏамал йийриг ву) Дала леррина Къобалвинчун а, Делан а пачхьалкхехь хиндолчу абаде дахаран декъахь хир вац.</verse>
				<verse number="6">Эрна хабарш дуьйцучаьрга цхьаьнгге а шаьш ле ма дайталаш, хӀунда аьлча уьш бахьана долуш тӀейогӀу муьтӀахь ца хуьлучу нахана Делан оьгӀазло.</verse>
				<verse number="7">Ма хилалаш ишттачу адамашца бертахь.</verse>
				<verse number="8">Цхьана хенахь шу бода санна дара, ткъа хӀинца шу, Везачу Элаца долу дела, серло ю. Цундела, серлонан бераш санна, лелалаш.</verse>
				<verse number="9">ХӀунда аьлча дикалла а, бакъахьара лелар а, билггал бакъдерг а серлоно кхиадо.</verse>
				<verse number="10">Везачу Элана тамехь дерг хӀун ду те бохуш, зуьйш хилалаш.</verse>
				<verse number="11">Стом ца лучу боданечу гӀуллакхашна юкъа ма гӀерталаш, мелхо а, уьш гучудахалаш.</verse>
				<verse number="12">ХӀунда аьлча цара къайлаха лелош дерш дийца а эхь долуш ду.</verse>
				<verse number="13">Ткъа нагахь и дерриг а серлонга даккхахь, церан бакъйолу амалш гучуевр ю.</verse>
				<verse number="14">Гучудолуш долу дерриге а серло хуьлу. Цундела аьлла ма ду: «ХьалагӀатта, вижина Ӏуьллург, беллачарна юкъара денло, тӀаккха Дала леррина Къобалвинчо хьо серлавоккхур ву».</verse>
				<verse number="15">Варелаш, леррина хьовсалаш шаьш муха лела. Хьекъалалла доцурш санна а доцуш, хьекъалалла долуш дерш санна хилалаш.</verse>
				<verse number="16">Мел хуьлучу таронах пайда эца, хӀара зама мекара йолу дела.</verse>
				<verse number="17">Цундела кхетам боцуш ма хилалаш. Везачу Элан лаам муха бу хаа гӀерталаш.</verse>
				<verse number="18">Сийсаза лелар долуьйту чагӀар тӀех дукха ма мийлалаш, амма Делан Синах дуьззина хилалаш.</verse>
				<verse number="19">Назманашна а, эшаршна а, динан иллешна а тӀера эцна долчу дешнашца вовшашка дистхила. Везачу Элана лерина назманаш а ала, эшарш а лекха, шайн дегнаш чохь Цунна хастамаш а беш.</verse>
				<verse number="20">Даим а, массо а хӀуманна а Да волчу Далла баркаллаш баха, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина Къобалвинчу Ӏийсан цӀарах.</verse>
				<verse number="21">Дала леррина Къобалвинарг шаьш ларарна, вовшашна муьтӀахь хилалаш.</verse>
				<verse number="22">Зударий, шайн майранашна, Везачу Элана санна, муьтӀахь хилалаш.</verse>
				<verse number="23">ХӀунда аьлча майра зудчун корта бу, Дала леррина Къобалвинарг Шен дегӀ долчу динан ерриге а тобанан корта хиларе терра. И тоба КӀелхьарйоккхург ма ву Иза.</verse>
				<verse number="24">Дала леррина Къобалвинчунна динан ерриге а тоба муьтӀахь хиларе терра, иштта зударий а массо а хӀуманна тӀехь шайн майранашна муьтӀахь хила беза.</verse>
				<verse number="25">Майранаш, шайн зударий безалаш, динан ерриге а тоба Дала леррина Къобалвинчунна езаре терра. Цуьнан дуьхьа Шен са а дӀаделла Цо.</verse>
				<verse number="26">Цо иза дина, Делан дашехула динан ерриге а тоба, хи чохь цӀан а йина, иза язъярхьама а,</verse>
				<verse number="27">динан ерриге а тоба цхьа а томмагӀа, я цхьа а сакхт доцуш, я кхин тайпана долу хӀума а доцуш, амма цӀена а, бехказа а йолуш, Шена хьалха сийлаллехь дӀахӀотторхьама.</verse>
				<verse number="28">Иштта, майранаш, шайн догӀмаш ма-деззара, шайн зударий безаш хилалаш. Шен зуда езачунна билггал ша-шена веза.</verse>
				<verse number="29">ХӀунда аьлча цкъа а цхьа а хилла вац шен дегӀ ца дезаш. Мелхо а, шен дегӀ цо кхаба а кхобу, Ӏалаш а до, Дала леррина Къобалвинчо массо а тешаш болчеран тоба санна.</verse>
				<verse number="30">Вай Цуьнан дегӀан меженаш ма ю.</verse>
				<verse number="31">«Цундела стаг, шен дай-наний а дитина, шен зудчух кхетар ву. ТӀаккха цу шиннах цхьа дегӀ хир ду», — Делан Йозанаша ма-бохху.</verse>
				<verse number="32">Цхьа доккха бакъдерг хьулдина ду цу дешнаш чохь. Аса боху, уьш Дала леррина Къобалвинчуьнца а, динан ерриге а тобанца а доьзна ду.</verse>
				<verse number="33">Амма и дешнаш шуьга а ду: шух хӀоранна а шен зуда, ша-шена ма-веззара, езаш хила еза, ткъа зудчо шен майра лара веза.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="6">
				<verse number="1">Бераш, шу Везачу Элаца хиларна, шайн дай-наношна муьтӀахь хилалаш, хӀунда аьлча иза нийса ду.</verse>
				<verse number="2">«Шайн да а, нана а лара» — чӀагӀо тӀетоьхна йолчу весетех хьалхарниг ду иза:</verse>
				<verse number="3">«хьайна дика хилийтархьама а, хьо лаьтта тӀехь дукха вахийтархьама а».</verse>
				<verse number="4">Ткъа аша, дай, шайн бераш оьгӀаз ма эхийта. Мелхо а, хьалакхиабе уьш, Везачу Элан лаамехь а болуш, царна хьехамаш а беш, уьш Ӏама а беш.</verse>
				<verse number="5">Леш, адамаш долчу олахошна кхерамца а, ларамца а цӀеначу дагца муьтӀахь хила, Дала леррина Къобалвинчунна муьтӀахь шаьш ма-хиллара.</verse>
				<verse number="6">Царна муьтӀахь хила, мотт хьоькхучу адамаша санна, моттаргӀанаш а ца еш, ткъа Дала леррина Къобалвинчун леша санна, даггара Делан лаам кхочуш а беш.</verse>
				<verse number="7">Хазахетарца, Везачу Элана деш санна, гӀуллакх делаш, адамашна деш санна а доцуш.</verse>
				<verse number="8">Лай я маьршаниг велахь а, нагахь цо диканиг дахь, цунна изза Везачу Элера юхакхочур дуйла хууш, делаш шаьш дийриг.</verse>
				<verse number="9">Шу а, олахой, шайн лешца иштта лелалаш. Царна кхерамаш ма тийсалаш. Хаалаш, царна тӀехь а, шайна тӀехь а цхьа Олахо вуйла стигалшкахь, ткъа Цо цхьанна а озабезам ца бо.</verse>
				<verse number="10">Ткъа тӀаьххьара а бохург хӀара ду: чӀагӀло Везачу Элаца а, Цуьнан боккхачу ницкъаца а.</verse>
				<verse number="11">Иблисо деш долчу вонашна дуьхьалхӀитта шайн ницкъ хилийтархьама, Делан дерриге а герзаца кечлой хила.</verse>
				<verse number="12">ХӀунда аьлча вай адаман дилхана а, цӀийна а дуьхьал беш бац тӀом, амма стигалшкахь болчу хьаькамашна а, олалла дечарна а, кху боданечу дуьненан куьйгалхошна а, харцжинашна а дуьхьал беш бу.</verse>
				<verse number="13">Цундела Делан дерриге а герз схьаэца, вон тӀедеанчу дийнахь дуьхьало ян шайн таро хилийтархьама а, массо а хӀума кхочушдича, кхидӀа а латтархьама а.</verse>
				<verse number="14">Цундела иштта дӀахӀитталаш: шайн гӀодаюкъ билггал бакъдолчуьнца дӀа а ехкий, нийсонан гӀагӀ шайна тӀе а духий,</verse>
				<verse number="15">машарах лаьцна болу хаза кхаъ кхайкхо кийча хиларан мачаш шайн кога а юхий.</verse>
				<verse number="16">Цу массо а хӀуманна тӀе тешаран турс схьаэца — цӀе яьлла догуш долу иблисан пхерчий дӀадайа таро хир ю шун.</verse>
				<verse number="17">КӀелхьардовларан гӀем а схьаэца. Делан Синан тур а схьаэца — иза Делан дош ду.</verse>
				<verse number="18">Муьлххачу а хенахь Делан Синан гӀоьнца доӀанаш делаш, массо а тайпана доӀа а, дехар а деш. Иза иштта дархьама, сема а хилалаш, цхьана а тайпана юха ца довлуш, Делан долахь болчарна массарна а тӀера кхидӀа доӀанаш а делаш.</verse>
				<verse number="19">Суна а дехалаш Деле, аса сайн бага мел йоьллучу хенахь хазачу кхоан къайле майрра йовзийта дешнаш суна далар доьхуш.</verse>
				<verse number="20">Цу хазачу кхоан дуьхьа набахтехь волу Ӏийсан векал ву со. Деле дехалаш, айса дийца ма-деззара, хаза кхаъ соьга майрра дӀакхайкхабайта алий.</verse>
				<verse number="21">Ткъа сох лаьцна а, сан гӀуллакхех лаьцна а — шадерг а вайн хьомечу вашас, Везачу Элана леринчу къахьегарехь тешамечу гӀуллакхдархочо ТихӀака дӀадуьйцур ду шуна.</verse>
				<verse number="22">Шу долчу, тхан гӀуллакхех лаьцна шуна дӀахаийта а, шун дегнаш тедархьама а, аса леррина вохуьйтуш ву иза.</verse>
				<verse number="23">СинпаргӀато а, тешарца болу даггара безам а хуьлийла динан вежаршна Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а.</verse>
				<verse number="24">Делан дика хуьлийла хедар боцучу безамца вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвина Ӏийса везачаьрца массаьрца а.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="50">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан ялхоша, ПахӀала а, Тимапис а, яздо Пилап-гӀалахь Ӏаш болчу а, Дала леррина Къобалвинчуьнца боьзна болчу а Делан долахь болчаьрга массаьрга — шайца цхьаьна динан тобанан гӀайгӀабийраш а, динан куьйгалхойн гӀоьнчаш а болчаьрга.</verse>
				<verse number="2">Делан доккха дика а, синпаргӀато а хуьлда шуна вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а.</verse>
				<verse number="3">Шу дага мосазза догӀу, аса хастамаш бо сайн Деле.</verse>
				<verse number="4">Шуна массарна тӀера айса мел до доӀа даим хазахетарца до аса,</verse>
				<verse number="5">шайна хезначу дуьххьарлерчу дийнахь дуьйна кху дийне кхаччалц, хаза кхаъ дӀасабаржор тӀехь аша дакъалоцу дела.</verse>
				<verse number="6">Со теша, шуна чохь и дика гӀуллакх дан Долийначо, Дала леррина къобалвина Ӏийса вогӀун волу де тӀекхаччалц, иза кхочушдийр дуйла.</verse>
				<verse number="7">Шу сан даг чохь долу дела, шух массарах иштта ойла яр нийса ду. Дала суна делла долчу дикачу гӀуллакхехь аша массара а дакъа ма лоцу — со набахтехь волчу хенахь а, аса хаза кхаъ ларбечу а, чӀагӀбечу а хенахь а.</verse>
				<verse number="8">Дела сан Теш ву, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан безамца шуьца массаьрца а цхьаьна хила лууш со хьаьгна хиларан.</verse>
				<verse number="9">Аса доьху Деле шун даггара болу безам хӀума довзарца а, кхетамалла хиларца а кхин а алсамбаккхар,</verse>
				<verse number="10">шайна гӀоле дерг хӀун ду шу кхетийтархьама. Дала леррина Къобалвинарг вогӀучу дийнахь шу цӀена а, цхьана а тайпана сакхт доцуш а хилийтар а,</verse>
				<verse number="11">Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Далла хьалха бакъдина хилар бахьана долуш, дикачу гӀуллакхех шу дуьззина хилийтар а доьху ас Делан сийлаллина а, хастамана а.</verse>
				<verse number="12">Динан вежарий, шуна дӀахаийта лаьа суна, аса хьоьгу халонаш бахьана долуш, хаза кхаъ дӀакхайкхорна тӀехь кхин а сов аьтто баьлла хилар.</verse>
				<verse number="13">Дала леррина Къобалвинчунна со тӀаьхьахӀоттар бахьана долуш, со набахти чохь хилар паччахьан цӀенна ха деш болчу массарна а, дуккха а болчу кхечарна а дӀахиънера.</verse>
				<verse number="14">ХӀинца со набахтехь хилар бахьана долуш, дукхахболчу динан вежарийн Везачу Элаца доьналла хилар чӀагӀделла. Хьалха хиллачул а йоккхачу майраллица, кхерам а боцуш, Делан дош кхайкхо буьйлабелла уьш.</verse>
				<verse number="15">Бакъду, цхьаболчара хьагӀ а, эмгаралла а хиларца, ткъа вукхара дагахь диканиг долуш дуьйцу Дала леррина Къобалвинчух лаьцна.</verse>
				<verse number="16">Цхьаберш, со хаза кхаъ ларбан дӀахӀоттийна вуйла а хууш, даггарчу безамца лела.</verse>
				<verse number="17">Ткъа вуьш, шайна пайда лоьхуш а, шайн дог цӀена цахиларца а, суна кхин а халонаш ян дагахь а лела, шаьш Дала леррина Къобалвинчух лаьцна дуьйцуш.</verse>
				<verse number="18">Ткъа иза коьртаниг ду те? МоттаргӀанаш лелаяхь а, я даггара иза деш делахь а, иза мухха делахь а, Дала леррина Къобалвинарг кхайкхаво-кх цара. Иза иштта хилча а, со воккхавеш ву! Кхин а воккха а вийр ву.</verse>
				<verse number="19">ХӀунда аьлча суна хаьа, и дерриг а шун доӀанашца а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан Синан гӀоьнца а со паргӀатвалийта суна диканна дуйла.</verse>
				<verse number="20">Сайн кӀорггера болчу лааме а, сатийсаре а хьаьжжина, со цхьана а хӀуманна тӀехь юьхьӀаьржачу хӀуттур вац, амма сайн мел йолчу майраллица вистхуьлуш лелар ву Дала леррина Къобалвинарг, гуттара а санна, хӀинца а соьгахула лакхавалийтархьама — со вехар велахь а, я лийр велахь а.</verse>
				<verse number="21">ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинарг — сан дахар ду, ткъа Ӏожалла — суна пайда хилар ду.</verse>
				<verse number="22">Нагахь сан дахар кхидӀа а кху дуьненахь дахлахь, сан къахьегаро беркате стом лур бу. Иштта суна-м ца хаьа, айса муьлханиг харжа деза.</verse>
				<verse number="23">Шинна а агӀор Ӏожалло а, дахаро а, къуьйлуш ву со. Аса сатуьйсу, вала а велла, Дала леррина Къобалвинчуьнца со хиларе, хӀунда аьлча иза дуккха а гӀолехь хир дара.</verse>
				<verse number="24">Ткъа со кху дуьненахь вехаш Ӏар шуна пайдехь ду.</verse>
				<verse number="25">Оцу тӀехь сан шеко а яц, суна иза хаа а хаьа: со вуьсур а ву, шуьца вехар а ву, тешарехь кхиамаш а, даккхийдер а шун хилийтархьама.</verse>
				<verse number="26">ТӀаккха со шу долчу юхавеача, сох дозалла дан бахьана совдер ду шун, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца шу доьзна а долуш.</verse>
				<verse number="27">Иза иштта хилча, суна, шу долчу а веана, шу гича, я кхечанхьа а волуш, шух лаьцна иштта хезар ду: уьш цхьаалла а йолуш, берриш а цхьаъ санна, хазачу кхоаца цхьаьнадогӀучу тешарна къахьоьгуш бу.</verse>
				<verse number="28">Цхьана а хӀуманна тӀехь мостагӀех ма кхера: иза уьш хӀаллакьхиларан билгало ю царна, ткъа шуна — кӀелхьардовларан билгало ю. Ткъа и кӀелхьардовлар Делера хир ду.</verse>
				<verse number="29">ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа Цунах тешна а ца Ӏаш, Цуьнан дуьхьа баланаш хьега дезар а делла шуна.</verse>
				<verse number="30">Шу а, со а хаза кхаъ ларбархьама цхьатерра дикачу тӀамехь ду. Шуна ма-гарра, хьалха а ас беш изза тӀом бара. Ткъа хӀинца, шуна ма-хаззара, со кхидӀа а оццу тӀамехь лаьтташ ву.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Дала леррина Къобалвинчуьнца хилар бахьана долуш иракарахӀуьттур дуй те шу? Цунна шу дезарх синтем хир буй те шуна? Цуьнан Синца мелла а тӀекаре дуй те шу? Вовшийн догъэцар а, вовшех къахетар а дуй те шун?</verse>
				<verse number="2">Делахь хилийтийша сан воккхавер дуьззина, цхьатерра ойланаш а йолуш, цхьа безам а болуш, цхьа барт а болуш, цхьа Ӏалашо а йолуш.</verse>
				<verse number="3">Цхьа а хӀума шена пайда леха а, дозалла дан а ца деш, хӀораммо а, ша-ша эсала а хуьлуш, вовшийн лакхара ларалаш.</verse>
				<verse number="4">ХӀораммо а, шен-шен бен гӀайгӀа йина ца Ӏаш, кхечун а гӀайгӀа е.</verse>
				<verse number="5">Шайн дегнаш чохь Дала леррина къобалвина Ӏийса санна хилалаш.</verse>
				<verse number="6">Делан вастехь Ша велахь а, Цунна ца хетара, Ша Делах тера хиларх Ша пайда эца беза аьлла.</verse>
				<verse number="7">Мелхо а, Шен возалла дӀа а тесна, лен васт тӀе а эцна, адамах тар а велла, тӀехьаьжна а адам хилла Иза.</verse>
				<verse number="8">Ӏожаллина тӀекхаччалц Далла муьтӀахь а хилла, Ша лахара вира Цо. ЖӀара тӀехь Ша валлалц, муьтӀахь висира Иза.</verse>
				<verse number="9">Цундела Дала Иза вазвира, уггар а лакхарчу даржехь Иза дӀа а хӀоттийна,</verse>
				<verse number="10">стигалшкахь а, лаьттахь а, эхартахь а берш Ӏийсан цӀе лоруш, гора а хӀиттина, суждане бахийтархьама а,</verse>
				<verse number="11">Да волчу Делан сийлаллина Цо леррина къобалвина Ӏийса Веза Эла хиларх лаьцна хӀора адаман матте тоьшалла дайтархьама а.</verse>
				<verse number="12">Иштта, сан хьоменаш, гуттара а со юххехь волуш шаьш муьтӀахь ма-хиллара, со юххехь воцуш а чӀогӀачу кхерарца а, дегӀе зуз дарца а кхидӀа къахьегалаш, шайн кӀелхьардовлар кхочушхилийтархьама.</verse>
				<verse number="13">ХӀунда аьлча Шен дикачу Ӏалашонца шуна чохь лаамаш хилар а, гӀуллакхаш дар а Хуьлуьйтург Дела ву.</verse>
				<verse number="14">Дерриг а шаьш дийриг, яппарш а ца еш, къийса а ца луш, делаш,</verse>
				<verse number="15">Далла хьалха бехк буьллийла доцуш, цӀена шаьш хилийтархьама. Аьрхачу а, телхинчу а тайпанна юкъахь шайца цхьа а вониг доцуш, Делан бераш санна дахалаш. Царна юкъахь стигалан серлонаш санна лела деза шу,</verse>
				<verse number="16">дахар луш болу кхаъ царна дӀа а кховдош, Дала леррина Къобалвинарг вогӀучу дийнахь шух дозалла дан сан йиш хилийтархьама, хӀунда аьлча тӀаккха гур ду сан къовсадалар а, къахьегар а эрна ца хилар.</verse>
				<verse number="17">Со вен там бу. Ткъа сан валар чагӀаран сагӀанах тардала мега. Нагахь иза шун тешамечу гӀуллакхдаран сагӀина тӀе Ӏанахь а, со воккхавеш ву — шуьца массаьрца а воккхавийр ву со.</verse>
				<verse number="18">Оцу хӀуманна а соьца цхьаьна даккхийде шу а.</verse>
				<verse number="19">Веза Эла волчу Ӏийсаца воьзна хиларна, дегайовхо ю сан шу долчу кестта Тимапи ваийта, шуьгара хьал-де а хиъна, сайн дог иракарахӀотторхьама.</verse>
				<verse number="20">Цуьнга кхочуш а, цо санна доггах шун гӀайгӀа бийр болуш а сан цхьа а вац.</verse>
				<verse number="21">Массара а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсана луург а ца лоьхуш, шайна пайдехьа дерг лоьху.</verse>
				<verse number="22">Ткъа Тимапи, зийначул тӀаьхьа, иза тешаме хилар шуна хууш ду. КӀанта шен деца ма-дарра, цо соьца гӀуллакх дина хазачу кхоан дуьхьа.</verse>
				<verse number="23">Сайх хиндерг ма-къаьсттина, иза шу долчу дӀахьажо дагахь ву со.</verse>
				<verse number="24">Везачу Элах тешам бу сан: со а кестта шу долчу дӀавогӀур ву.</verse>
				<verse number="25">Сан динан ваша Эпар-Падати шу долчу дӀавахийтар нийса хета суна. Хазачу кхоан дуьхьа соьца цхьаьна къа а хьоьгуш, дика тӀемало санна вара иза. Аша иза сан халонашкахь соьца гӀуллакх дан ваийтина ма вара.</verse>
				<verse number="26">Шен цамгарх лаьцна шуна хезна дела, шу массо а ган лууш, воьхна хьийзаш вара иза.</verse>
				<verse number="27">Иза дӀакхалха там болуш вара. Дала къинхетам бира цунах. Ткъа цунах бина а ца Ӏаш, сох а бина къинхетам, сан сингаттамашна тӀе и сингаттам тӀе ца кхоьтуьйтуш.</verse>
				<verse number="28">Цундела суна кхин а чӀогӀа лаьа иза шу долчу дӀахьажо: иза юха а ган а гина, шуна хазахетар хилийта а, сайн сингаттамаш лахбалийта а.</verse>
				<verse number="29">Везачу Элаца шаьш хиларна даггара долчу хазахетарца тӀеэцалаш иза, и санначеран сий а делаш.</verse>
				<verse number="30">ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинчун гӀуллакх бахьанехь вала гергга вара иза. Шу суна гӀуллакх дан йиш йоцуш хиларна, цо, шен дахар а ца кхоош, шун метта, суна гӀо дора.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">Ткъа хӀинца, сан динан вежарий, даккхийде шаьш Везачу Элаца долуш. Хьалха яздинарг шуьга кхин а цкъа яздан суна хала дац, ткъа шуна иза закъалтана хир ду.</verse>
				<verse number="2">Ларлолаш зуламаш дечарах! Уьш жӀаьлех тера бу, цара шайн бехке меттиг хадорца шаьш сакхт до!</verse>
				<verse number="3">ХӀунда аьлча вай билггал сунтдинарш ду. Вай Делан Синехула Далла гӀуллакх деш а ду, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца доьзна хиларх дозалла деш а ду, адамийн дилханах тешна Ӏаш а дац.</verse>
				<verse number="4">Сан а ма яра, сайн дилханах а тешна, Ӏен йиш. Нагахь санна кхин цхьа стаг, шен адаман дилханах а тешна, Ӏен дагахь велахь, сан цуьнан йолчул а сов бакъо хилар билггал бакъду.</verse>
				<verse number="5">ХӀунда аьлча дуьнен чу ваьллачу борхӀалгӀачу дийнахь со сунтвина а ву, Исраилан халкъах схьаваьлла а ву, Бен-Яманан тайпанах а ву, Ӏебархойх схьаваьлла Ӏебархо а ву. Товрат-хьехамаш кхочушбеш парушхо а вара со.</verse>
				<verse number="6">Сайгахь болчу ницкъе хьаьжжина, Ӏийсах тешначийн тобанна дуьхьалваьллера. Товрат-хьехамаш кхочушбаро луш долчу бакъвар э хьаьжжина, ала цхьа а хӀума доцуш вара со.</verse>
				<verse number="7">Делахь а суна пайденна ду аьлла хеттарг Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа эрна хилла лору аса.</verse>
				<verse number="8">Цул сов, кхидолу массо а хӀума эрна хета суна, хӀунда аьлча дерригенал а деза ду сан Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Ӏийса вовзар. Цуьнан дуьхьа со массо а хӀуманах ваьлла. Кхидолу массо а хӀума кхелли хета суна, Дала леррина Къобалвинчуьнца уьйр йолуш со хилийтархьама а,</verse>
				<verse number="9">Цуьнца цхьаьна хилархьама а. Ас-айса, товрат-хьехамаш кхочушбарца а доцуш, ткъа Дала леррина Къобалвинчух тешарца Далла хьалха бакъвина ву со. Иштта Дала Ша со бакъвира, Ӏийсах тешарна.</verse>
				<verse number="10">Дала леррина Къобалвинарг кӀоргге вовза лаьа суна, Иза веллачуьра денвеш хилла болу ницкъ а бевзаш, Цуьнан баланашкахь дакъа а лоцуш. Цуьнан Ӏожаллехь Цунах тар а луш, Иза вовза а лаьа суна,</verse>
				<verse number="11">Иза санна, веллачуьра денваларе са а туьйсу аса.</verse>
				<verse number="12">Аса ца боху, оцу массо а хӀумане со кхаьчна ваьлла, я со кхачам боллуш кхиъна. Мелхо а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас со дола ваьккхинчу Ӏалашоне кхача гӀерташ ву со.</verse>
				<verse number="13">Динан вежарий! Оцу Ӏалашоне со кхаьчна ваьлла аьлла ца хета суна. Делахь а цхьа хӀума кхочушдо ас: сайна тӀехьа дерг диц а деш, хьалха долчунна тӀекхача гӀерташ ву со.</verse>
				<verse number="14">Иштта, сан Ӏалашо ю, къовсамехь санна, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула со стигала тӀекхайкхинчу Дала суна лун долчу совгӀатна хьалха тӀекхача.</verse>
				<verse number="15">Ӏийсах тешаре хьаьжжина, вайна юкъара хьалакхиънарш массо а иштта ойланаш йолуш хила беза. Нагахь санна цхьадолчунна тӀехь шун кхин тайпана ойланаш елахь а, иза а Дала шуна дӀадоьллур ду.</verse>
				<verse number="16">Вуьшта, хӀинца ваьшна девзина долчуьнца кхидӀа а даха деза вай.</verse>
				<verse number="17">Динан вежарий! Кхиберш санна, сох масал оьцуш хилийша. Оха шуна гайтинчу масалца бехачаьрга хьовсалаш.</verse>
				<verse number="18">ХӀунда аьлча дукхахберш Дала леррина Къобалвинчун жӀаран мостагӀий санна лелаш бу. Аса сих-сиха дуьйцура шуьга царах лаьцна, ткъа хӀинца-м, бӀаьрхиш а Ӏенош, дуьйцу аса.</verse>
				<verse number="19">Церан кхоллам — хӀаллакьхилар ду. Церан дела — гайна там бар ду. Эхьечу гӀуллакхех дозалла до цара. Цара, кху дуьненан хӀуманийн бен, ойла ца йо.</verse>
				<verse number="20">Ткъа вай стигалан дахархой ду. Вай КӀелхьардохург, Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Ӏийса, оцу стигалшкара схьаваре хьоьжуш а ду вай.</verse>
				<verse number="21">Вайн сий доцу догӀмаш хуьйцур ду Цо, Шен сийлахьчу дегӀах а тардина. И дийр ду Цо массо а хӀума а Шен карадерзо йиш йолчу Шен ницкъаца.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">Аса доггах сатуьйсу, сан хьоме вежарий! Шу ду сан ирс а, сан толаман таж а. Иштта, хьоменаш, аса хӀинцца ма-дийццара, чӀогӀа латталаш Везачу Элаца доьзна долчу шайн дахарехь.</verse>
				<verse number="2">Аса доьху хьоьга, Авуди, иштта хьоьга а доьху ас, Синтахи, вовшашца бертахь хилийша. Шуьшиъ цхьатерра Везачу Элан долахь ма ву!</verse>
				<verse number="3">Иштта хьоьга а, сан тешаме волу СезагӀ, гӀо дар доьху аса оцу зударшна. Хаза кхаъ баржош, аса бинчу балха тӀехь Кала-Ментица а, кхиболчу сан накъосташца а дакъалаьцнера цара. Церан цӀераш дахаран тептар тӀе дӀаязйина ю.</verse>
				<verse number="4">Везачу Элаца а долуш, даим а даккхийде. Юха а боху аса: даккхийде!</verse>
				<verse number="5">Массо а адамашна йовзийла шун эсалалла. Веза Эла гергга ву.</verse>
				<verse number="6">Цхьана а хӀуманан гӀайгӀа ма е, амма мел дечу доӀанашкахь а, дехаршкахь а, баркалла а кхайкхош, шайна оьшург Деле дӀахаийта.</verse>
				<verse number="7">ТӀаккха, шун муьлххачу а кхетамал лакхара а йолуш, Делера схьайогӀучу синпаргӀатоно шун дегнаш а, шун хьекъалш а лардийр ду, шу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца доьзна долу дела.</verse>
				<verse number="8">Ткъа хӀинца, динан вежарий, дика мел дерг а, хастаме дерг а дагахь латтаде. Билггал бакъдолчух, оьзда долчух, нийса долчух, цӀена долчух, тамехь долчух, дозалла дан хьакъ долчух ойланаш е.</verse>
				<verse number="9">Соьгара шайна Ӏеминарг, дӀаэцнарг, хезнарг, гинарг кхочушделаш. ТӀаккха синпаргӀатонан хьоста долу Дела шуьца хир ву.</verse>
				<verse number="10">Везачу Элаца воьзна а волуш, дикка хазахетар хилла ву со, шун юха а сан гӀайгӀа бан аьтто баьлла дела. Бакъду, шу-м хӀинццалц а дара сан гӀайгӀа беш, амма шун аьтто ца болура иза суна хаийта.</verse>
				<verse number="11">Сайна цхьа хӀума оьшу дела, ца боху аса иза. ХӀунда аьлча сайна хӀуъа а тӀедеача а, со Ӏемина ву сайн долчух тоам а беш Ӏен.</verse>
				<verse number="12">Суна къоьлла а евзина, хьал а девзина. Муьлххачу хенахь а, муьлххачу меттехь а сайн долчух тоам баран къайле евзина суна — со вуьзна я меца велахь а, со шортта хӀума долуш я хӀума оьшуш велахь а.</verse>
				<verse number="13">Суна ницкъ луш волу Дала леррина Къобалвинарг бахьана долуш, суна массо а хӀума лан хаьа.</verse>
				<verse number="14">Делахь а аша дика гӀуллакх дина, сан баланашкахь дакъа а лаьцна.</verse>
				<verse number="15">Пилапхой, шуна хууш ду-кх, со Македон-махкара ара а ваьлла, хаза кхаъ дӀакхайкхо волавеллачу хенахь, шу доцучара цхьана а динан тобано суна хӀума ца кховдийра, аша суна гӀо ма-дарра.</verse>
				<verse number="16">Аша-м со Тассалник-гӀалахь волуш а, суна хӀума эшча, мосуьйттазза гӀо динера.</verse>
				<verse number="17">Сайна совгӀаташ дайтар ца лоьху аса. Мелхо а аша динчу дикачу гӀуллакхийн кехатна тӀе кхин а хӀуманаш дӀаяздина хилар лоьху ас.</verse>
				<verse number="18">ХӀинца шортта хӀума ду сан. Оьшург ерриге а йолуш ю, аша мел даийтина совгӀаташ Эпар-Падатис соьга схьакхачийна. Далла доккху хаза хьожа йогӀу сагӀа санна ду и совгӀат, Дела цунна реза а ву.</verse>
				<verse number="19">Сан Дала Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Шен долчу сийлахьчу хьолаца шуна мел оьшург лур ду.</verse>
				<verse number="20">Абаденналц сийлалла хуьлда вайн Да волчу Ден! Амин.</verse>
				<verse number="21">Маршаллаш ло Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан долахь болчу массаьрга а. Соьца болчу динан вежарша а маршаллаш доуьйту шуьга.</verse>
				<verse number="22">Делан долахь болчу массара а доуьйту шуьга маршаллаш, къаьсттина Рим-мехкан паччахьан цӀерачара.</verse>
				<verse number="23">Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дика хуьлда шуьца массаьрца а.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="51">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">Делан лаамца Цо леррина къобалвинчу Ӏийсан векал волчу ПахӀала а, динан вашас Тимапис а яздо</verse>
				<verse number="2">Ковлуси-гӀалахь бехачу Дала базбинчу а, Далла тешамечу а, Дала леррина Къобалвинчуьнца боьзна а болчу динан вежаршка. Вайн Да волчу Делера долу дика а, синпаргӀато а хуьлда шуна.</verse>
				<verse number="3">Шуна тӀера доӀанаш а деш, оха даим хастамаш бо вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан Да волчу Далла.</verse>
				<verse number="4">ХӀунда аьлча Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах шун тешар хиларх а, массо а Делан долахь берш шуна безарх а лаьцна хезна тхуна.</verse>
				<verse number="5">Шу иштта лела, стигалшкахь шайна кечдина долчуьнга шаьш сатуьйсуш долу дела. Цунах лаьцна хазачу кхоан билггал бакъдолчу дашехула хьалха а хезнера шуна.</verse>
				<verse number="6">Шу долчу кхаьчна болу и хаза кхаъ дерриг а дуьнен тӀехь шен стом луш а, дӀасабаьржаш а бу, Делан дика баккъалла а муха хуьлу шуна хезначу а, шу кхеттачу а дийнахь дуьйна, шуна юкъахь и кхаъ иштта лелаш ма-хиллара.</verse>
				<verse number="7">И хаза кхаъ вайна везаш волчу Эпарпис бовзийтинера шуна. Вайца цхьаьна Далла гӀуллакх деш ву иза, ткъа шун дуьхьа иза Дала леррина Къобалвинчун тешаме ялхо а ву.</verse>
				<verse number="8">Делан Сино шуна беллачу безамах лаьцна тхоьга хаам бинарг а иза вара.</verse>
				<verse number="9">Цундела тхайна и хаам бинчу дийнахь дуьйна, шуна тӀера даим доӀанаш деш ду тхо. Оха доьху, Делан Сино мел луш долчу хьекъалца а, кхетамца а Делан лаам бовзарх шу дузийтар.</verse>
				<verse number="10">Иза иштта хилахь, массо а хӀуманна тӀехь Делан лаамехь дерг а деш, Везачу Элана хьалха хьакъ долуш лелар ду шу. Аша деш долчу муьлххачу а дикачу гӀуллакхаша стом а лур бу, Дела вовзарна тӀехь кхиамаш а бохур бу аша.</verse>
				<verse number="11">Цуьнан нуьцкъалчу сийлалле хьаьжжина, шу чӀагӀдина хуьлийла, массо а хӀума собарца ловш шу хилийтархьама. Даккхийдерца</verse>
				<verse number="12">стигаларчу Дена хастамаш бойла аша. Серлонан олаллехь Шен долахь болчарна лур ду аьллачун декъашхой шух хилийта, шуна хьуьнар Делларг Иза ма ву.</verse>
				<verse number="13">Вай, боданан олаллех кӀелхьара а даьхна, Шен везаш волчу КӀентан олалле даьхна Цо.</verse>
				<verse number="14">Цуьнгахула вай паргӀатдахархьама мах а белла, вайн къиношна гечдина Дала.</verse>
				<verse number="15">Дала леррина Къобалвинарг — гуш воцучу Делан гуш долу васт ду. Цуьнан дуьххьарлера Доьзалхо ву Иза, кхоьллина мел долчу хӀуманал тоьлуш а волуш.</verse>
				<verse number="16">Стигалшкахь а, лаьттахь а гуш долу а, гуш доцу а массо а хӀума Цо кхоьллина ду: стигалийн паччахьаш, я олахой, я хьаькамаш, я куьйгалхой хуьлийла уьш. И дерриг а Цо кхоьллина а ду, Цунна кхоьллина а ду.</verse>
				<verse number="17">Иза долуш долчу дерригенал а хьалха вара, Цо массо а долуш дерг шен-шен меттехь лоттуьйту.</verse>
				<verse number="18">Иза динан массо а тобанан Корта бу, ткъа и тоба Цуьнан дегӀ санна ю. Оцу тобанан дахаран хьоста ду Иза. Беллачарна юкъара дуьххьара денвелларг а Иза ву, массо а хӀуманна тӀехь хьалхе йоккхуш Иза хилийтархьама.</verse>
				<verse number="19">ХӀунда аьлча Далла тамехь дара Шен мел йолу амал кхоччуш Цуьнгахь хилар.</verse>
				<verse number="20">Далла лиира Цуьнгахула стигалахь а, лаьттахь а долу дерриг а хӀума Шеца тайта. ЖӀара тӀехь Ӏанийначу Шен КӀентан цӀийгахула царна а, Шена а юкъахь барт бира Цо.</verse>
				<verse number="21">Аша дечу вочу гӀуллакхаша гойтура, цхьана хенахь шу а Далла херадевлла хилар. Шайн кхетамехь Делан мостагӀий дара шу.</verse>
				<verse number="22">Ткъа хӀинца, Ша леррина Къобалвинчун дегӀан даларехула, Дела шуьца тайра, Шена хьалха шу даздина а, цӀена а, ала хӀума доцуш а дӀахӀитторхьама.</verse>
				<verse number="23">Иза иштта хир а ду, нагахь санна шайн тешар тӀехь шеконаш а йоцуш, чӀагӀ а делла, шу латтахь а, шайна хезначу хазачу кхоо луш болчу сатийсамах аша шаьш дӀа ца хадийтахь а. Стигал кӀел болчу массаьрга а дӀахазийтинчу оцу хазачу кхоан ялхо хилира сох, ПахӀалах.</verse>
				<verse number="24">Со воккхавеш ву айса шун дуьхьа хӀинца баланаш хьегарх. Аса сайн дегӀа чохь кхочушдо Дала леррина Къобалвинчунна тӀаьхьахӀиттинчара Цуьнан дегӀан дуьхьа хьега дезаш диснарг. Цуьнан дегӀ — Ӏийсах тешачу массеран а тоба ю.</verse>
				<verse number="25">Дала суна тӀедиллина шун дуьхьа оцу тобанан гӀуллакхдархо хилар. Цо со къобалвинера Шен дош шуна дуьззина довзийта.</verse>
				<verse number="26">Оцу Делан дашна чохь цхьа къайле ю. И къайле бӀешерашкахь дуьйна массо а адамийн гаранашна дӀакъевлина яра. Ткъа хӀинца иза Шен долахь болчарна дӀайовзийтина Дала.</verse>
				<verse number="27">Делан лаам бу Шен къайленан хьал мел сийлахь ду Шен долахь болчарна дӀахаийтар. Массо а къаьмнех болчеран дуьхьа ю и къайле: Дала леррина Къобалвинарг шун даг чохь ву, цундела шун сатуьйсийла ду Делан сийлалле.</verse>
				<verse number="28">Дала леррина Къобалвинарг вай дӀакхайкхаво, хӀора адам, массо а тайпана хьекъалца кхета а деш, Ӏама а деш, иза, Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна а долуш, дуьззина кхочуш а дина, дӀахӀотторхьама.</verse>
				<verse number="29">Сайна чохь болх беш болчу Цуьнан ницкъаца оцу Ӏалашонна къахьоьгуш ву со.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Суна шуьга дӀахаийта лаьа, мел чӀогӀа къахьоьгу аса Лаудикехь дехачу шун дуьхьа а, юьхь-дуьхьал со шайна гина а боцучу массеран дуьхьа а.</verse>
				<verse number="2">Аса иза до, уьш, вовшашка болу безам а болуш, цхьаьнакхетта хилийтархьама а, церан дегнаш иракарахӀитторхьама а. Суна лаьа, церан хьекъал кхачам боллуш чӀогӀа хила, Делан къайле царна йовзийтархьама. Ткъа Делан къайле Дала леррина Къобалвинарг ву.</verse>
				<verse number="3">Цунна чохь къайлаяьккхина ю кӀоргге долчу хьекъалан а, кхетаман а мел йолу хазна.</verse>
				<verse number="4">Аса иза боху шуьга, цхьаннан а хазачу къамелах шу Ӏеха ца далийтархьама.</verse>
				<verse number="5">ХӀунда аьлча со, шуна гуш юххехь вацахь а, синца шуьца ву. Шун оьзда дахар а, Дала леррина Къобалвинчух шун чӀогӀа долу тешар а гуш, воккхавеш ву со.</verse>
				<verse number="6">Дала леррина къобалвина Ӏийса шаьш Веза Эла санна тӀеэцарна, Цуьнца доьзна а долуш, дахалаш.</verse>
				<verse number="7">Шайн тешаран орамаш Цунах дӀа а тасий, Цуьнца цхьаьна хьалакхиалаш. Шайна хьехначу тешарехь чӀагӀлолаш. Баркаллех дуьззина хилалаш.</verse>
				<verse number="8">Варелаш, динан вежарий, вайн дайша даьхначу Ӏадатийн а, кху дуьненах лаьцна адамийн болчу кхетаман а бух тӀехь долчу, шу ледан дуьйцучу даьссачу къамелийн йийсархой ма хилалаш. Иштта долу къамелаш Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна дац.</verse>
				<verse number="9">ХӀунда аьлча адаман сибат тӀеэцна волчу Цунна чохь Дела кхачам болуш Ӏаш ву.</verse>
				<verse number="10">Шу а ду кхачам боллуш дуьзна, шу Цуьнца доьзна долу дела. Стигалийн мел болчу хьаькамел а, куьйгалхойл а коьрта ву Иза.</verse>
				<verse number="11">Шу Цуьнца доьзна хиларна, адамийн куьйгашца дина доцу шун сунтдар кхочушдина. Дала леррина Къобалвинчо кхочушдинчу сунтдарехула шун хьарам лаамаш дӀабаьхна.</verse>
				<verse number="12">Хих чекхдовлучу хенахь Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна дӀадоьхкина долу шу Цуьнца цхьаьна денделла, Иза веллачуьра денвинчу Делан ницкъах шун долчу тешарца.</verse>
				<verse number="13">Шаьш къинош летийна дела а, кхечу къаьмнех шаьш схьадевлла дела а, хьалха шу делла дара. Ткъа хӀинца Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна долу шу денделла, Дала вайн массо а къиношна геч а дина.</verse>
				<verse number="14">Цо дӀадайина вайн декхар тӀеяздина долу йоза. Оцу кехат тӀехь вайна дуьхьал долу а, вай бехке озош долу а парзаш дара. ЖӀарах дӀа а тоьхна, Дала и кехат дӀадаьккхина.</verse>
				<verse number="15">Иза дарца жинийн хьаькамийн а, куьйгалхойн а карара олалла дӀадаьккхина Цо. Ӏийса жӀарах дӀатохарехула царна тӀехь толам а баьккхина, массарна а хьалха уьш юьхьӀаьржачу хӀиттийра Цо.</verse>
				<verse number="16">ХӀинца дуьйна йиънарг я мелларг бахьана долуш, къастийна долу а, я керла бутт болалуш долу а, я шоьтан деза долу а денош бахьана долуш цхьаммо а шу бехке ма дойла.</verse>
				<verse number="17">ХӀунда аьлча и дерриг а хиндолчун дегӀан ӀиндагӀ ду, ткъа долуш дерг Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна ду.</verse>
				<verse number="18">Харц кепара шу лахара хила а деза, аша маликашна Ӏамал ян а деза бохучо шу Ӏеха ма дойла, ша дуьйцург шена гиначу суьрташца тӀе а чӀагӀдеш. Цхьа а бахьана доцуш, адамийн кура ойла хуьлу ишттачу стеган.</verse>
				<verse number="19">ДегӀан Корта болчу Дала леррина Къобалвинчунна тӀе ца гӀерта иза. И корта бахьана долуш, пхенаша а, меженаша а латтадеш цхьаьнатесна долу и дерриг а дегӀ Делан лаамехь хьалакхуьуш ду.</verse>
				<verse number="20">Нагахь санна Дала леррина Къобалвинчуьнца шу, дала а делла, кху дуьнен чохь долчу парзийн а, Ӏадатийн а долара схьадевлла хилча, хӀунда гӀерта шу, кху дуьненан долахь долуш санна,</verse>
				<verse number="21">«хӀокхунах ма хьакхалолаш», «хӀара ма яалаш», «кхунах куьг ма Ӏотталаш» бохучу сацамашна тӀе?</verse>
				<verse number="22">Диина даьлча, телхина дӀадер долчу хӀуманех лаьцна дуьйцу оцу хьехамашкахь. Уьш адамаша даьхна парзаш а, хьехамаш а бен дац.</verse>
				<verse number="23">ТӀехьаьжча, иштта парзаш хьекъале ду мотта тарло: цаьрца ду шайн лаамца Ӏамал яр а, харцкепара шаьш лахара хетар а, шайн догӀмашна тӀехь ницкъ бар а. Делахь а, цара шайн хьарамчу лаамашна урхалла даре хьаьжжина, цу парзийн цхьа а мах бац.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна шу деллачуьра денделла хиларна, Далла аьтту агӀор Иза охьахиина волчу стигалшкахь долчух шун кхетам бузийла.</verse>
				<verse number="2">Лаьттахь долчун ойла а ца еш, стигалахь долчух дегнаш дуза.</verse>
				<verse number="3">ХӀунда аьлча шун хьалха хиллачу дахаре хьаьжча, шу делла ду, ткъа Дала леррина Къобалвинчуьнца шун бакъдолу дахар Делан карахь дӀахьулдина ду.</verse>
				<verse number="4">Шеца шун дахар долуш волу Дала леррина Къобалвинарг кху дуьнен чу юхавеача, шу а сийлаллица Цуьнца цхьаьна догӀур ду.</verse>
				<verse number="5">Иза иштта долу дела, шайна чохь лелаш болу а, кху дуьненца боьзна болу а адамийн лаамаш хӀаллакбелаш: нахаца лелар, цӀена доцург лаар, боьхачу лаамех дуьзна хилар, зуламе лаамаш хилар, сутара хилар (хӀунда аьлча сутара хилар цӀушна Ӏамал яр санна ду).</verse>
				<verse number="6">Иштта дерг лелорна муьтӀахь ца хуьлучу нахана Делан оьгӀазло тӀейогӀур ю.</verse>
				<verse number="7">Мацах шу а ма дара иштта лелаш, шайн дахар цу хӀуманех дуьзна долчу хенахь.</verse>
				<verse number="8">Ткъа хӀинца и шадерг дӀадаккха: дералла, оьгӀазалла, хьагӀ, вониг дийцар, боьха бага леяр.</verse>
				<verse number="9">Вовшашка харц ма ле, хӀунда аьлча шайн шира адам цуьнан гӀуллакхашца цхьаьна аша дӀа ма тесна.</verse>
				<verse number="10">Керла адам а хилий, дӀахӀитта. Ша Кхоьллинчун вастехь карладолу и адам, Дела вуьззина вовззалц.</verse>
				<verse number="11">Иза иштта хиларна, цхьа а башхо яц кхечу къомах волчу стагана я жуьгтичунна юкъахь, сунтвинчунна я сунтваза волчунна юкъахь, оьздачу халкъан волчу стагана я оьздангалла йоцучу халкъан стагана юкъахь, лена я маьршачунна юкъахь. Мелхо а, Дала леррина Къобалвинарг уггар лараме Верг а ву, Иза массаьрца а ву.</verse>
				<verse number="12">Дала даздинарш а, Цуьнан хьоме хаьржинарш а шаьш хиларна, къинхетамах, диканиг дарх, ша-ша лахара хетарх, эсалаллех, собар хиларх дуьзна хилалаш.</verse>
				<verse number="13">Вовшех кхеташ хилалаш, нагахь санна цхьаъ вукхунна дегабаам болуш велахь, вовшашна гечделаш, Везачу Эло шайна гечдаре терра.</verse>
				<verse number="14">Даггара вовшашка болу безам дерриг а цу хӀуманашна тӀетоха. Массо а хӀума кхачаме цхьаьна доьхкург безам ма бу.</verse>
				<verse number="15">Дала елла йолу синпаргӀато хуьлийла шун дегнаш чохь олалла деш. Шух цхьа дегӀ а дина, синпаргӀатоне тӀекхайкхина Дала. Далла баркалла олуш хила.</verse>
				<verse number="16">Дала леррина Къобалвинчун дош дуккха а дехийла шун даг чохь. Шайн мел долчу хьекъалца вовшашна хьехамаш а бе, вовшийн кхета а де. Шайн дегнаш чохь Далла баркаллаш а кхайкхош, назманаш а ала, эшарш а лекха, динан иллеш а ала.</verse>
				<verse number="17">Дашца я гӀуллакхца шаьш мел дийриг Веза Эла волчу Ӏийсан цӀарах делаш, Да волчу Далла Цуьнгахула баркаллаш а олуш.</verse>
				<verse number="18">Зударий, шайн майранашна муьтӀахь хила, хӀунда аьлча иза шун декхар ду, Везачу Элаца шу доьзна хиларна.</verse>
				<verse number="19">Майранаш, шу а шайн зударий безаш хила, цаьрца буьрса ма хила.</verse>
				<verse number="20">Бераш, массо а хӀуманна тӀехь шайн дас-нанас боххург деш хила, хӀунда аьлча иза Далла хазахетарг ду.</verse>
				<verse number="21">Дай, шайн бераш оьгӀаз ма эхийта, дог доьхна уьш ца хилийтархьама.</verse>
				<verse number="22">Леш, адамаш долчу шайн элашна массо а хӀуманна тӀехь муьтӀахь хила. Царна шаьш гуш долчу хенахь там бина а ца Ӏаш, Везачу Элах кхоьруш а, догцӀена а лела.</verse>
				<verse number="23">Шаьш мел дийриг а доггах де, адамашна деш санна а доцуш, Везачу Элана деш санна.</verse>
				<verse number="24">Дагахь латтаде, Шен халкъана лур ду аьлларг Везачу Эло совгӀатна лур ду шуна. Дала леррина Къобалвинарг баккъалла а аша гӀуллакх деш волу Эла ма ву.</verse>
				<verse number="25">Ткъа харцонаш лелочунна, ша лелийначу харцоне хьаьжжина, таӀзаран ял кхочур ю. Дала цхьаьнгге а озабезамаш ца бо.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">Элий, шайн лешца бакъо а, нийсо а лелош хилалаш. Диц ма делаш, шайна тӀехь цхьа Эла хилар: стигалшкахь волу Веза Эла.</verse>
				<verse number="2">Сема а долуш, Далла баркалла а олуш, леррина доӀанаш делаш.</verse>
				<verse number="3">Иштта тхуна тӀера а доӀанаш де Деле, Цуьнан дош дӀакхайкхо а, Цо леррина Къобалвинчух лаьцна йолу Цуьнан къайле дӀайовзийта а тхан аьтто бар доьхуш. И къайле дӀакхайкхор бахьана долуш, ву со набахтехь.</verse>
				<verse number="4">Дехалаш Деле, и къайле дӀакхайкхо еззачу тайпана дӀакхайкхо суна хаийта алий.</verse>
				<verse number="5">Арахь болчаьрца хьекъале хилалаш. БегӀийла меттиг шайна нисъелча, хьехамаш бан пайденна хилийталаш.</verse>
				<verse number="6">Шун дистхилар а хаза хила деза, дуьйцург сингаттаме ма хилийта, хӀоранга а жоп муха дала деза а хууш.</verse>
				<verse number="7">Сох лаьцна шадерг ТихӀака дуьйцур ду шуна. Тхоьца цхьаьна Везачу Элана гӀуллакх деш волу, тешаме къахьоьгуш волу, вайн хьоме динан ваша ву иза.</verse>
				<verse number="8">Тхоьгахь хӀун хьал ду шуна хаийта а, шун дегнаш иракарахӀитто а воуьйту аса иза шу долчу.</verse>
				<verse number="9">Шу долчуьра тешаме а, хьоме а волу динан ваша Онисам а ву цуьнца. Цара кхузахь долчу дерригенах а лаьцна дуьйцур ду шуна.</verse>
				<verse number="10">Шуьга маршаллаш доуьйту соьца цхьаьна набахтехь волчу Арестаха а, иштта Бар-Наабан шичас Марка а. (Цунах лаьцна олуш, аса тӀедиллинера шуна, нагахь иза шу долчу кхачахь, цунна хьошалла дар.)</verse>
				<verse number="11">Иштта маршаллаш доуьйту шуьга ЮшаӀа а. (Кхечу тайпана Юст олу цунах.) И кхоъ сунтбинчех ву. Уьш бен бац соьца Делан Олаллина лерина къахьоьгуш болу сунтбинарш. Сан чӀогӀа догъоьцура цара.</verse>
				<verse number="12">Маршалла доуьйту шуьга Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан лай волчу шун Эпарпис а. Цо даим а дакъалоцу шуна тӀера дечу доӀанашкахь, шайн тешарна тӀехь шу кхоччуш кхиийтархьама а, Делан лаамехь долчух шу дуьзна хилийтархьама а.</verse>
				<verse number="13">Лаудика-гӀалахь а, ХӀерапал-гӀалахь а долчу шуна Эпарпис чӀогӀа къахьоьгуш хиларх тоьшалла до аса.</verse>
				<verse number="14">Маршалла ду шуьга хьомечу лоьрера Лакера а, Демера а.</verse>
				<verse number="15">Маршаллаш ло Лаудикехь болчу динан вежаршка а, Нумпате а, цуьнан цӀерачу динан тобане а.</verse>
				<verse number="16">ХӀара кехат шаьш долчохь дешна даьлча, Лаудикерачу динан гуламехь дӀадешийта, ткъа Лаудикехь дерг шайн гуламехь аша а деша.</verse>
				<verse number="17">Арихупе иштта дӀаала: «Варелахь, Везачу Элаца волуш айхьа тӀелаьцна долу деза гӀуллакх кхочушделахь».</verse>
				<verse number="18">Аса сайн куьйгаца яздо шуьга хӀара тӀаьххьара долу маршалла. Со набахтехь хилар диц ма делаш. Делан дика хуьлийла шуьца массаьрца а.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="52">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">ПахӀала а, Салис а, Тимапис а хӀара кехат яздо вайн Да волчу Делах а, Веза Эла волчу Ӏийсах а тешачийн Тассалник-гӀалара тобане. Делан дика а, синпаргӀато а хуьлда шуна.</verse>
				<verse number="2">Тхайн доӀанашкахь, шу дага а лоьцуш, шуна массарна тӀера даим Далла хастам бо оха.</verse>
				<verse number="3">Шаьш Делах тешаш хиларна, аша дика гӀуллакхаш дар а, аша безамца къахьегар а, вайн Везачу Эле, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсага шу тешамца сатуьйсуш хилар а даим а вайн Да волчу Далла хьалха дагахь латтадо оха.</verse>
				<verse number="4">Далла безна болу динан вежарий, шу Дала хаьржина хилар хаьа тхуна.</verse>
				<verse number="5">Шу долчохь тхан хаза кхаъ кхайкхор дашца бен хилла ца Ӏаш, Делан ницкъаца а, Делан Синца а, кхин а боккхачу тешамца а ма бара. Шуна шайна хаьа, шун дуьхьа шуна юкъахь тхо муха Ӏара.</verse>
				<verse number="6">Делан дош тӀе а эцна, тхох а, Везачу Элах а тарделла дӀахӀитти шу а. Аша дукха баланаш лайнехь а, Делан Сино хазахетар лора шуна.</verse>
				<verse number="7">Цундела Македон-махкахь а, Ахай-махкахь а массо а Ӏийсах тешаш болчарна шух масал хилла.</verse>
				<verse number="8">Ткъа Везачу Элан дош а, шун Делах тешарх болу хаам а шуьгара Македон-махка а, Ахай-махка а кхаьчна ца Ӏаш, массо а кхечу меттигашка а дӀасабаьржина. Цундела шух лаьцна оха дийца оьшуш кхин цхьа а хӀума дац.</verse>
				<verse number="9">ХӀунда аьлча цара шаьш а дуьйцу тхох лаьцна. Цара дуьйцу, тхо шуна тӀе муха даьхкира а, иштта шу, цӀуйх дӀа а дирзина, Делехьа дерзарх лаьцна а, дийначу а, бакъволчу а Далла гӀуллакх дархьама.</verse>
				<verse number="10">Цара дуьйцу, Делан КӀант стигалшкара схьаваре шу муха ладоьгӀуш ду. Дала веллачуьра денвина волу а, тӀейогӀу йолчу Делан оьгӀазлонах вай кӀелхьардоху волу а Ӏийса ма ву и КӀант.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Динан вежарий, шуна хаьа, тхан шуна тӀедахкар эрна ца хилар.</verse>
				<verse number="2">Ткъа, шуна ма-хаъара, хьалха Пилап-гӀалахь баланаш а лайна, сий дайина дара тхо. Тхайна луьра дуьхьало йинехь а, тхайца Дела волу дела, тхо майрра шуна хаза кхаъ кхайкхо гӀиртира.</verse>
				<verse number="3">ХӀунда аьлча тхан хьехамашкахь дацара шу тило гӀертар, я цхьа вониг шуна хила лаар, я шуна хӀилла дар.</verse>
				<verse number="4">Ткъа Дала тхан сий а дина, Шен хаза кхаъ тешарца тхоьга кховдоре терра, иштта, адамашна томана а доцуш, амма вайн дегнаш зуьйш волу Дела лоруш бо оха и хьехамаш.</verse>
				<verse number="5">ХӀунда аьлча, шуна ма-хаъара, тхо цкъа а дацара шу хестош я шуьгара тхайна пайда лоьхуш. Дела теш ву-кх!</verse>
				<verse number="6">Шуна я кхечарна тхаьш ларар я тхо хестор тӀе ца дуьллу оха.</verse>
				<verse number="7">Тхаьш Дала леррина Къобалвинчун векалш хиларе терра, тхаьш лоруьйтуш дахка йиш яра тхан, делахь а, бераш кхобург шен берашца кӀеда-мерза ма-хиллара, шуна юкъахь тийна Ӏийра тхо.</verse>
				<verse number="8">Иштта тхо шух дӀаийна дела а, тхайна шу дезадаларна а шуна Делера болу хаза кхаъ кхайкхийна оха. И дина а ца Ӏаш, тхайн синош а, ца кхоош, шуна дӀадала лиира тхуна.</verse>
				<verse number="9">ХӀунда аьлча, динан вежарий, шуна дагадогӀу-кх шу долчохь оха хаза кхаъ кхайкхочу хенахь, тхайх шуна бала ца бархьама, буьйсанна а, дийнахь а оха хьегна къа а, тхуна хилла ницкъ а.</verse>
				<verse number="10">Шу а, Дела а теш ду-кх, Делах тешачу шуна хьалха цӀена а, Делан лаамехь а, ала хӀума а ца дуьтуш тхо муха Ӏара.</verse>
				<verse number="11">Шуна хууш ду-кх, шух хӀора а, дас шен бераш санна, лелавора оха.</verse>
				<verse number="12">Шуьга дехарш а дора, шу иракара а хӀиттадора, шуна синтем а бора оха, Шен Олалле а, сийлалле а кхайкхинчу Далла хьалха шу хьакъ долуш дахийтархьама.</verse>
				<verse number="13">Кхин а цхьа бахьана ду, оха гуттара а Далла хастамаш баран. Аша тхоьгара Делан дош тӀеийцира, адамийн дош санна а доцуш, амма Делан дош санна (иза иштта дан а ма ду). Делах тешначу шуна чохь хӀара дош болх беш а ду.</verse>
				<verse number="14">Динан вежарий, шу ЯхӀуд-махкарчу динан тобанех тарделла. Цу тобанийн нах Делах тешаш а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан долахь болуш а белахь а, цара шайн махкахошкахьара баланаш хьегна. Царах терра аша а изза баланаш лайна шайн цхьанатайпанах болчу нехан карах.</verse>
				<verse number="15">Веза Эла волу Дала леррина къобалвина Ӏийса а, пайхамарш а яхӀудхоша байинера. Тхо а дӀалаьхкинера цара. Делан лаамехь бац уьш, массо а адамна мостагӀий хилла царах.</verse>
				<verse number="16">Цара новкъарло йо тхуна, Делан кхелах кӀелхьардовлар муха хила деза кхечу къаьмнех болчу нахе тхоьга ца дийцийтархьама. И дарца цара гуттара а шаьш летийначу къинойн барам тӀехбоккху, амма Делан оьгӀазло эххар а тӀекхаьчна царна.</verse>
				<verse number="17">Тхо, динан вежарий, дегнашца вовшах даьхна а доцуш, ткъа вай юьхь-дуьхьал ца хиларна йоццучу ханна вовшахдаьхна дара, цундела кхин а боккхачу деган лаамца шу ган гӀертара тхо.</verse>
				<verse number="18">Цундела тхуна шу долчу дахка лаьара. ПахӀал волу со цкъа а, шозза а гӀоьртира шу долчу ван, амма иблисо тхуна массарна а новкъарло йора.</verse>
				<verse number="19">Ткъа мила ву хӀинца тхуна дегайовхо луш верг, я тхуна хазахоьтуьйтуш верг, я тхан сийлаллин таж? Шу-м дац те уьш, тхан Веза Эла волчу Ӏийсана хьалха, Иза кху дуьнен чу юхавогӀуш, хиндерш?</verse>
				<verse number="20">Шу ду тхан сийлалла а, хазахетар а.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">Цундела шу ца гуш кхин са а ца тохаделла, тхаьш Атина-гӀалахь севцира тхо.</verse>
				<verse number="2">2-3 Ткъа шу долчу тхайн динан ваша Тимапи вахийтира оха. Иза Делан гӀуллакх а деш, тхоьца Дала леррина Къобалвинчух лаьцна хаза кхаъ кхайкхош къахьоьгуш ву. Аша хьоьгучу халонашкахь шун цхьаннен а ойла ца карчийтархьама, шу динехь чӀагӀдалийта а, Делах тешаран гӀуллакхна тӀехь шун дегнаш иракарахӀитто а вахийтина оха иза. Шуна шайна хаьа, иштта халонаш вай лан езийла.</verse>
				<verse number="3">***</verse>
				<verse number="4">Тхаьш шуьца долчу хенахь, вай баланаш хьоьгург хиларх лаьцна оха хьалххе дӀахаийтинера шуьга. Шуна ма-хаъара, и дерриг а шуьца хила а хилира.</verse>
				<verse number="5">Цундела, шун Ӏийсах тешаран гӀуллакх муха ду хаа лууш, шун ойла иблисо карчорна кхоьруш, вай хьегна къа эрна хиларна сагатдеш, аса шу долчу Тимапи вахийтинера.</verse>
				<verse number="6">Ткъа хӀинца Тимапи шу долчуьра схьавеана. Шун тешарх а, безамах а, шуна тхо даим а диканца дагахь латтарх а, тхуна шу санна, шуна а тхо ган лаарх а лаьцна дика хабар деана цо тхоьга.</verse>
				<verse number="7">Ткъа мел баланехь а, халонашкахь а тхаьш делахь а, Везачу Элах шу тешар бахьана долуш, динан вежарий, шух синтем хилла тхуна.</verse>
				<verse number="8">Шу Везачу Элаца чӀагӀделла долу дела, тхо хӀинца ирсе деха.</verse>
				<verse number="9">Шуна тӀера Далла тоъал баркаллаш муха эр дара те оха? Шу бахьана долуш Далла хьалха даккхийдеш ма ду тхо.</verse>
				<verse number="10">Шун юьхь гархьама а, шун тешар кхочушхилийтархьама а, дийнаххьий, буьйсанний доггах доӀанаш дийр ду оха.</verse>
				<verse number="11">Вайн Да волчу Дала Ша а, Вайн Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас а некъ боккхийла тхуна шу долчу дахка.</verse>
				<verse number="12">Ткъа тхуна шу дезаре терра, вовшашка а, массо а адамашка а болчу безамах Везачу Эло шун дегнаш дузийла.</verse>
				<verse number="13">Цо шун дегнаш безамах дузуьйтур ду, шу чӀагӀдархьама. ТӀаккха вайн Да волчу Далла хьалха шуна бехк буьллийла а доцуш, деза а долуш хир ду шу, вайн Веза Эла волу Ӏийса, массо а Шен долахь болчаьрца кху дуьнен чу схьавогӀучу хенахь. Амин.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">Ткъа хӀинца, динан вежарий, Веза Эла волчу Ӏийсан дуьхьа, оха доккхачу дехарца доьху шуьга шаьш Далла хазахетарг дарна тӀехь оха шайга дийцинчул а, кхин а сов кхиамаш аш бахар.</verse>
				<verse number="2">Веза Эла волчу Ӏийсагара шайна оха хӀун весеташ делла, шуна хаьа.</verse>
				<verse number="3">Боьха лаамаш кхочушбарх шайн догӀмаш лардан деза аша, хӀунда аьлча Делан лаам бу, Шен дуьхьа даз а дина, шу дӀакъасто.</verse>
				<verse number="4">Шух хӀоранна а хаа деза, цӀена а, шен сий лардеш а, Далла гергахь боьхачу лаамех шен дегӀ цӀена латто хӀун дан деза.</verse>
				<verse number="5">Кхечу къаьмнех болу, Дела ца вевза нах санна, нахаца леларан боьхачу лаамех дуьзна хила ца деза шу.</verse>
				<verse number="6">Цхьана а хӀуманна тӀехь шайн вешина хьарам долу гӀуллакхаш лелош ямартло ма е, шайна са йолу агӀо лоьхуш ма хила, хӀунда аьлча иштта лелачарна массарна а Везачу Эло таӀзар до. Шуьга иза дӀахьедеш баккъалла а боху оха, хьалха тхаьш ма-дийццара.</verse>
				<verse number="7">Дала вай боьхачу лаамийн долахь а доцуш, амма Шена хьалха цӀена лелийтархьама хаьржина.</verse>
				<verse number="8">Иштта дуьхьалваьлла леларг адамна дуьхьал ца волу, ткъа вайна Шен Деза Са лучу Далла дуьхьал волу.</verse>
				<verse number="9">Шуна вовшийн деза Дала Ша Ӏамийна, шуьга цунах лаьцна оха цхьа а хӀума дийца оьшуш дац.</verse>
				<verse number="10">ХӀунда аьлча массо а Македон-махкара динан вежарий шуна баккъалла беза. Динан вежарий, шун вовшийн дезаш хилар кхин а чӀагӀдар тӀедуьллу оха шуна.</verse>
				<verse number="11">Шу чӀогӀа гӀерта деза тийна даха. Шайн гӀуллакхаш а бен ма де. Оха шуьга хьалха весеташ ма-дарра, шайн куьйгашца хьанал рицкъа даккха.</verse>
				<verse number="12">Нагахь санна шу иштта лелахь, Делах ца тешачу нахе а шаьш лоруьйтур ду аша, дахарехь оьшучунна тӀехь а цхьаннан а гӀо оьшуш а хир дац шу.</verse>
				<verse number="13">Динан вежарий, кхин болу дог диллинарш санна, шу гӀайгӀанехь ца хилийтархьама, беллачарех хуьлург шуна ца довзуьйтуш Ӏа ца лаьа суна.</verse>
				<verse number="14">Вай Ӏийса, вала а велла, денвелла хиларх теша дела, Ӏийсах тешаш белла болу нах а Дала Цуьнца стигалшка хьалабохург хиларх а теша.</verse>
				<verse number="15">Везачу Элан дашца боху хӀара оха шуьга, Веза Эла кху дуьнен чу схьаваллалц, дехаш дисина долу вай, беллачарел хьалха девр дац.</verse>
				<verse number="16">ХӀунда аьлча Веза Эла коьртачу маликан озаца а, Делан турба лакхарца а, Ша стигалара охьавуссур ву, ткъа Дала леррина Къобалвинчух тешаш а болуш белларш хьалха денлур бу.</verse>
				<verse number="17">Цул тӀаьхьа вай, далаза диснарш, царах дӀа а кхетта, Везачу Элана дуьхьал мархашка хьаладохур ду. ТӀаккха вай даим Везачу Элаца цхьаьна хир ду.</verse>
				<verse number="18">Иштта, хӀокху дешнех вовшашна синтем а беш Ӏе.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">Динан вежарий, хин йолчу хенах а, заманах а лаьцна оха шуьга хӀумма а яздан оьшуш дац.</verse>
				<verse number="2">Шуна шайна а билггала хаьа, буьйсанна цӀеххьана вогӀу къу санна, иштта дагахь доццучу хенахь тӀекхочур ду Везачу Элан де.</verse>
				<verse number="3">«ХӀинца машар бу, цхьа а кхерам а бац» — адамаша боххучу хенахь, берах йолчу зудчунна цӀеххьана тӀедогӀу лазарш санна, цӀеххьана тӀедогӀур ду церан хӀаллакьхилар а. Уьш кӀелхьара а бевр бац.</verse>
				<verse number="4">Ткъа шу, динан вежарий, боданехь дац, и де, къу санна, шуна тӀекхача.</verse>
				<verse number="5">Шу массо а серлонан кӀентий а, дийнан кӀентий а ду. Вай буьйсанан я боданан кӀентий дац.</verse>
				<verse number="6">Цундела вай дийшина Ӏан ца деза, боданехь болу кхиберш санна, амма сема а, кхетамехь а хила деза.</verse>
				<verse number="7">ХӀунда аьлча бийшина болчара буьйсанна наб йо, маларх там хилларш а буьйсанна беха.</verse>
				<verse number="8">Ткъа вай серлонан кӀентий долу дела, Делах тешарх а, вовшийн дезарх а гӀагӀ а дина, Дала леррина Къобалвинчо вай кӀелхьардахаре сатуьйсуш хиларх гӀем а йина, кхетамехь хила деза.</verse>
				<verse number="9">Вай Дала оьгӀазлонна а доцуш, ткъа вайн Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула вайна кӀелхьардовлар далархьама хаьржина ду.</verse>
				<verse number="10">Ӏийса вайн дуьхьа велла, вай Шеца дахийтархьама, Иза схьавогӀучу хенахь вай дийна я делла делахь а.</verse>
				<verse number="11">Цундела, хӀинццалц санна, вовшийн дог а эца, вовшашна чӀагӀдала гӀо а де.</verse>
				<verse number="12">Динан вежарий, доьху шуьга, Везачу Элан гӀуллакх дан шуна куьйгалла а деш, хьехамаш а беш, шуна юкъахь къахьоьгуш берш ларар.</verse>
				<verse number="13">Церан болх бахьана долуш уьш тӀехдика а, безамца а ларар доьху шуьга. Вовшашца бертахь Ӏелаш.</verse>
				<verse number="14">Кхин а чӀогӀа доьху шуьга, динан вежарий, малончаш кхетабелаш, тийна-эсалчеран дог эцалаш, гӀийлачарна гӀо делаш, доккха собар долуш хилалаш массаьрца а.</verse>
				<verse number="15">Хьовсалаш, цхьаьнгге а цхьанна а вонна дуьхьал вон ма дайталаш, амма гуттара а вовшашна а, массарна а диканиг дан гӀорталаш.</verse>
				<verse number="16">Гуттара а самукъане а хилалаш,</verse>
				<verse number="17">даим а доӀанаш деш а хилалаш,</verse>
				<verse number="18">массо а хӀуманна Далла хастам а белаш, хӀунда аьлча Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан долахь долчу шух лаьцна Делан иштта лаам болу дела.</verse>
				<verse number="19">Йовш йолу цӀе санна, Делан Са дӀа ма дайталаш.</verse>
				<verse number="20">Делера болу хаамаш аьшнаш ма белаш.</verse>
				<verse number="21">Массо а хӀума зен а зуьйш, диканиг схьалацалаш.</verse>
				<verse number="22">Муьлххачу а зуламах ларлолаш.</verse>
				<verse number="23">Вайн синна паргӀато луш волчу Дала Ша цӀан а дина, массо а агӀор Ша санна дойла вай. Цо шун са а, дог а, дегӀ а Веза Эла волу Дала леррина къобалвина Ӏийса вогӀучу хенахь дуьззина къинойх цӀена латтадойла.</verse>
				<verse number="24">ТӀекхойкхург тешаме ву. Цо кхочушдийр ду хӀара.</verse>
				<verse number="25">Динан вежарий! ДоӀанаш делаш тхуна тӀера.</verse>
				<verse number="26">Массо а динан вежаршка доггах маршалла ло.</verse>
				<verse number="27">Везачу Элах дуй баарца доьху хӀара кехат массо а динан вежаршна дешар.</verse>
				<verse number="28">Вайн Везачу Эло, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас, маьхза деш долу дика шуьца хуьлда.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="53">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">ПахӀала а, Салис а, Тимапис а хӀара кехат яздо Тассалник-гӀалара вайн Да волчу Делах а, Веза Эла волчу Ӏийсах а тешначийн тобане.</verse>
				<verse number="2">Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а долу дика а, синпаргӀато а хуьлда шуна.</verse>
				<verse number="3">Динан вежарий! Вай Далла баркалла ала деза, Ӏийсах тешарехь шу чӀагӀлуш долу дела. Иза баккъалла а иштта ду, хӀунда аьлча шуна массарна а юкъахь хӀораннан а вовшашка болу безам кхин а алсамбуьйлуш бу.</verse>
				<verse number="4">Иштта, оха тхаьш а Делан динан тобанийн гуламашкахь дозалла до собаре хиларца а, тешарца а аша массо а баланаш а, халонаш а ловш хиларх.</verse>
				<verse number="5">Цу дерригено а гойту Делан кхел нийса хилар. Делан олалла бахьана долуш аша хӀинца баланаш ловш болу дела, шу хьакъ долуш хетар ду Цуьнан олалле кхача.</verse>
				<verse number="6">Дела нийсо еш хиларна, шу сийсаздаьхначаьрга а баланаш хьоьгуьйтур бу Цо,</verse>
				<verse number="7">ткъа баланаш ловш долчу шуна тхоьца цхьаьна синтем хир бу. Иза хир ду Веза Эла волу Ӏийса Шен нуьцкъалчу маликашца а, йогучу цӀарца а стигалшкара гучуволучу хенахь.</verse>
				<verse number="8">Оцу хенахь шайна Дела вовза ца лиинчарна а, вайн Веза Эла волчу Ӏийсах болу хаза кхаъ тӀе ца эцначарна а дӀадоькхур ду Цо.</verse>
				<verse number="9">ТаӀзар а дина, уьш гуттаренна а хӀаллакбина хир бу. Везачу Элах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а дӀабаьхна хир бу уьш.</verse>
				<verse number="10">И таӀзар дийр ду Шен долахь болчу нахера сийлалла тӀеэца а, массо а Шех тешначаьрга Шен сий дайта а Ӏийса схьавеанчу оцу сийлахьчу дийнахь. Ткъа шу а царна юкъахь хир ду, оха шуна деллачу тоьшаллех шу тешна дела.</verse>
				<verse number="11">Цундела шуна тӀера оха даим доӀанаш до, Ша кхайкхинчу дахарна вайн Дала шу хьакъ долуш хилийтар доьхуш. Муьлхха а дикачу ойланца шуна дан лууш дерг а, Делах тешарца аша деш долу муьлхха а гӀуллакх а Деле Шен ницкъаца кхочушдар доьху оха.</verse>
				<verse number="12">Цу тайпана вайн Веза Эла волчу Ӏийсан цӀе шуьгахула а, ткъа шу Цуьнгахула а гӀарадевр ду. Вайн Дела а, Веза Эла а волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан долчу диканца хир ду иза.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Динан вежарий! Оха доьху шуьга вайн Веза Эла волчу Дала леррина къобалвина Ӏийса кху дуьнен тӀе схьаварах а, вай Цуьнца цхьаьнакхетийтарх а лаьцна:</verse>
				<verse number="2">шайн ойла сиха ма карчийталаш, атта синтем ма байалаш, Веза Эла вогӀу де тӀекхаьчна бохуш, цхьаммо хаам бар бахьана долуш. Цхьаммо ала мега, и хаам Делан Сино бина, я оха бина, я кехат тӀехь дӀаязбина бу аьлла.</verse>
				<verse number="3">Цхьаьнгге а цхьана а кепара шаьш ле ма дайталаш, хӀунда аьлча адам, Ӏеса а даьлла, Далла дуьхьал эргӀаддаьлча а, хӀаллакьхиларна лерина волу а, зуламех кхачам хиллал вуьзна волу а цхьа стаг гучуваьлчий бен, и де тӀедогӀур доцу дела.</verse>
				<verse number="4">«Дела» аьлла, цӀе йоккхучу а, адамаша Ӏибадат дечу а массо а хӀуманна дуьхьалвер ву и стаг, царал ша лакха а воккхуш. Делан цӀа чохь, ша дела ву бохуш, охьахуур ву иза.</verse>
				<verse number="5">Дага ца догӀу шуна, шу долчохь со волуш, аса шайга и дийцар?</verse>
				<verse number="6">Ткъа хӀинца шуна хаьа, иза сецош дерг хӀун ду. И бахьана долуш шен хеннахь бен иза гучувоккхур вац.</verse>
				<verse number="7">Къайлаха долу зулам хӀинцале а къахьоьгуш ду. Амма хӀинца а иза сецош волчо кхин дӀа а сецор ву, новкъара иза Дала дӀаваккхалц.</verse>
				<verse number="8">ТӀаккха гучувер ву зуламех вуьзна волу и стаг. Веза Эла волчу Ӏийсас Шен багарчу Ӏаьнарца вуьйр ву иза, Шен схьаваран дозаллица иза хӀаллак а вийр ву.</verse>
				<verse number="9">Зуламех вуьзна волу и стаг гучуваьлча, иблисо цуьнгахула лелочу ондачу ницкъаца массо а тамашийна харцйолу билгалонаш а, Ӏаламаташ а гойтуш лелар ву иза.</verse>
				<verse number="10">Шаьш кӀелхьардохур долу билггал долу бакъдерг безамца тӀе ца эцарна а, иза ца дезарна а хӀаллакьхуьлуш берш муьлххачу а харцонца лебеш лелар ву иза.</verse>
				<verse number="11">Цундела Дала чӀогӀа Ӏехаболуьйтур бу уьш, билггал бакъдоцучух тоьшуьйтуш.</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха билггал бакъдолчух а ца тешна, харцдерг дезначарна Дала кхел йийр ю.</verse>
				<verse number="13">Везачу Элана безна вежарий! Шу хьалхарнаш ду Делан Сино шу Делан дола дахарца а, билггал бакъдолчух тешарца а Дала кӀелхьардаха хаьржинарш. Цундела шуна тӀера Деле даим баркаллаш баха деза оха.</verse>
				<verse number="14">Оха кхайкхийна хаза кхаъ бахьана долуш шу Дала хаьржина, вайн Веза Эла волчу, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсан сийлаллин декъашхой шу хилийтархьама.</verse>
				<verse number="15">Цундела, динан вежарий, чӀагӀлой Ӏелаш. Хьалха а оха шуна бина болу а, тхан кехат тӀехь язбина болу а хьехамаш лар а беш, даха.</verse>
				<verse number="16">Ткъа вай дезначу, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас а, вайн Да волчу Дала а Шен маьхзачу диканца хаддаза иракарахӀиттор а, хиндолчу дикане сатийсар а делла вайна.</verse>
				<verse number="17">Муьлххачу а аша олуш долчунна тӀехь а, муьлхха а аша деш долчу дикачу гӀуллакхашна тӀехь а, иракара а хӀиттош, Дала чӀагӀдойла шу.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">Динан вежарий! Везачу Элах лаьцна кхаъ, шу долчохь ма-хиллара, сиха дӀасабаржийта а, лоруш тӀеэцийта а тхуна тӀера доӀанаш делаш.</verse>
				<verse number="2">Кхин а дехалаш мекара а, вон а нах вайх дӀакъастор, хӀунда аьлча берриш а ма бац цу кхоах тешаш.</verse>
				<verse number="3">Амма тешаме ву Веза Эла. Цо чӀагӀ а дийр ду шу, мекара волчух лар а дийр ду.</verse>
				<verse number="4">Оха шайна хьоьхург аша кхочушдеш хиларх а, кхин дӀа а кхочуш дийриг хиларх а Везачу Элаца хиларна, шух лаьцна долчух шеко йоцуш тешар ду тхан.</verse>
				<verse number="5">Делан безам бовза а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан собар довза а шун дегнаш Везачу Эло тӀехьажадойла.</verse>
				<verse number="6">Динан вежарий! Вайн Веза Эла волчу а, Дала леррина къобалвинчу а Ӏийсан цӀарах весет до оха, аша тхоьгара тӀеэцначу Делан хьехамашца а ца лелаш, мало йолуш волчу муьлххачу а динан веших дӀакъаста аьлла.</verse>
				<verse number="7">Шуна шайна а ма хаьа, шу, тхо ма-леллара, лела дезийла. Оха шу долчохь мало ца йора.</verse>
				<verse number="8">Цхьанна а меттехь маьхза бепиг ца дуура оха. Мелхо а, шуна цхьанна а тхайх бала ца бархьама, дийнахь а, буса а, къа а хьоьгуш, болх бора оха.</verse>
				<verse number="9">Иза-м тхайн бакъо яц аьлла а доцуш, шуна тхайгара дика масал далийта дора оха, шун а иштта лела лаам хилийтархьама.</verse>
				<verse number="10">Шу долчохь тхаьш хиллачу хенахь, оха хӀара весет динера шуьга: «Къахьега ца луучо хӀума а ма яа», — аьлла.</verse>
				<verse number="11">Шу долчуьра цхьаболу нах, къинош а летош, мукъа Ӏаш бу бохуш, хеза тхуна. ХӀумма а ца деш болу уьш нехан гӀуллакхашна чу юкъагӀерта.</verse>
				<verse number="12">Ишттачарна вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан цӀарах тӀедилларца оха хьоьху, шайн куьйгашца къа а хьоьгуш, шайна догӀу рицкъа даккха а, синна паргӀат хила а.</verse>
				<verse number="13">Ткъа аша, динан вежарий, дарх кӀорда а ца деш, диканиг де.</verse>
				<verse number="14">Нагахь санна шух цхьаъ оха яздина весеташ кхочушдеш вацахь, иза билгалваккха. Цунна эхь хетийтархьама, цуьнца юкъаметтиг ма хилийта.</verse>
				<verse number="15">Иза мостагӀа санна ма лара, амма, шайн ваша хиларе терра, иза кхетаве.</verse>
				<verse number="16">Ткъа машар карахь болчу Везачу Эло Ша гуттара а массо а хӀуманна тӀехь шун дегнашна машар лойла. Хуьлийла Веза Эла шуьца массаьрца а!</verse>
				<verse number="17">Аса, ПахӀала, сайн куьйгаца яздечу маршаллица чекхдоккху хӀара кехат. Соьгарчу хӀора кехатан билгало ю иза. Аса иштта яздо:</verse>
				<verse number="18">Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас дина маьхза долу дика хуьлийла шуьца массаьрца а.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="54">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">Со, ПахӀал, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан векал ву. Векал хила бакъо суна елла вайн КӀелхьардохург волчу Дала а, вайн дегайовхо волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас а.</verse>
				<verse number="2">ХӀара кехат ас яздо хьоьга, Тимапига. Делах а тешна, хьо сан бакъволу кӀант санна хилла. Вайн Да волчу Делера а, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а долу дика а, къинхетам а, синпаргӀато а хуьлда хьуна.</verse>
				<verse number="3">Доьху хьоьга, со Македон-махка воьдуш, аса хьайга ма-деххара, Эпасехь сацар. Цигарчу цхьаболчу нахана харц хьехамаш бар дехка деза ахь.</verse>
				<verse number="4">Къийсаршна тӀе бен далош доцу хьалха хиллачех лаьцна туьйранаш дийцар а, хаддаза шайн хьалхалера тайпанаш хьехор а дехка царна. Оцу къийсарша тешарца евзина йолчу Делан Ӏалашонна тӀе ца балабо уьш.</verse>
				<verse number="5">ЦӀеначу даггара, эхь-бехках буьззина, шалхо йоцучу тешаро хуьлуьйту безам бу уьш дӀабехкаран Ӏалашо.</verse>
				<verse number="6">Оцу хьехамашна тӀера дӀа а бевлла, цхьаберш, даьссачу хабаршкахьа а бирзина, галбевлла.</verse>
				<verse number="7">Товрат-хьехаман Ӏелам-хьехамчаш хила лаьа царна. Делахь а уьш шаьш а ца кхета я шаьш дуьйцучух я шаьш тешарца хьоьхучух.</verse>
				<verse number="8">Ткъа вайна-м хаьа, товрат-хьехамаш дика буйла, нагахь санна уьш лело ма-беззара лелош белахь.</verse>
				<verse number="9">И товрат-хьехамаш Делан лаамехь волчунна бина бац. Уьш зуламхошна, Ӏедална муьтӀахь боцучарна, Ӏесачарна, къинош летийначарна, дин доцучарна, Далла гергахь бехбеллачарна, сийсазчарна, шайн да а, нана а, кхидолу адамаш а дойучарна бина бу.</verse>
				<verse number="10">Иштта кхин а нахаца лелачарна а, вовшашца хьарам дерг лелочу божаршна а, дохкархьама адамаш лечкъочарна а, харц луьйчарна а, дуй къарбочарна а, нийсачу хьехамашца ца догӀуш лелочу массо а хӀуманна бина бу и товрат-хьехамаш.</verse>
				<verse number="11">Сийлахь а, декъала а волчу Дала тешарца соьга схьабеллачу хазачу кхоаца бу и хьехамаш.</verse>
				<verse number="12">Суна ницкъ беллачу вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсана баркаллаш боху ас. Со тешаме а хетта, Шена гӀуллакх дан со билгалваьккхина Цо.</verse>
				<verse number="13">Ӏийса сийсазвеш, Цунах тешарш хьийзош, царна ницкъ беш лелла волчу сох къинхетам бина Дала, хьалха со ца кхеташ а, Ӏийсах ца тешаш а хилла дела.</verse>
				<verse number="14">Вайн Везачу Эло маьхза луш долу дика суна алссам тӀеӀаьнна Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца болчу безамца а, тешамца а цхьаьна.</verse>
				<verse number="15">«Дала леррина къобалвина Ӏийса кху дуьнен чу веана къинош летийнарш кӀелхьарбахархьама». И дош бакъ а ду, цунах цхьа а тайпана шеко йоцуш теша а деза вай. Къинош летийначарна юкъахь со массарал а хьалхара ву.</verse>
				<verse number="16">Цундела ма гечдина суна Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас, Шегахь мел долу доккха собар суна тӀехь гайтархьама. Цунах а тешна, хедар доцу дахар тӀеоьцун болчарна массарна а масална дина ду иза.</verse>
				<verse number="17">Хастам а, сийлалла а хуьлда массо а заманашкахь хир волчу а, цкъа а лийр воцу паччахь волчу а, гуш воцучу а, цхьаъ бен воцучу а Далла. Амин.</verse>
				<verse number="18">Хьехам бо ас хьуна, сан кӀант Тимапи! Хьох лаьцна Делера хиллачу хаамашца а доьзна, иштта весет до ас. Ахьа оцу весеташца, дикачу тӀемалочо санна, къовсам латтабойла,</verse>
				<verse number="19">хьайн тешар а, сий а лардеш. Цхьаболчара уьш юхатеттинера, цундела церан тешар хӀаллакьхилла, бохам баьлча доьхна хинкема санна.</verse>
				<verse number="20">Ишттачех бу ХӀуьманай а, Искандар а. Ӏеса къамелаш дан ца дезийла уьш кхетийтархьама, аса уьш иблисан кара дӀабелла.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Иштта, уггар хьалха ас доьху хьоьга Деле доӀанаш дар а, дехарш дар а, кхайкхамаш бар а, Далла хастамаш бар а массо а адамашна а,</verse>
				<verse number="2">паччахьашна а, массо а олалла дечарна а тӀера. Иштта доӀанаш де, вай ваьш мел хилало суьпа а, оьзда а хуьлуш, иштта тийна а, маьрша а дахар хилийтархьама.</verse>
				<verse number="3">ХӀунда аьлча вайн КӀелхьардохург волчу Далла хьалха иза дика а, Цунна тамехь дерг а ду.</verse>
				<verse number="4">Цунна лаьа массо а адамаш кӀелхьардовла а, царна билггал бакъдерг довза а.</verse>
				<verse number="5">Дела цхьаъ бен вац, иштта Далла а, адамашна а юкъахь юкъарло лелош Верг а цхьаъ бен вац. И Стаг Дала леррина Къобалвина волу Ӏийса ву.</verse>
				<verse number="6">Массо а адамийн къинойх мах а луш, Шен са дӀаделлера Цо. Иштта ду шен заманчохь Делан безамах лаьцна дина долу и тоьшалла.</verse>
				<verse number="7">Кхечу къаьмнашна Ӏийсах долчу тоьшаллина векал а, хаза кхаъ кхайкхорхо а вина сох. Царна бакъдолчу тешарх лаьцна хьеха дӀахӀоттийна со. Билггал бакъдерг боху ас, аьшпаш а ца бутту ас.</verse>
				<verse number="8">Цундела суна лаьа муьлххачу меттехь а доӀанаш божарша дойла. Хьалаайинчу куьйгашца доӀа деш болу уьш цӀена а, Далла тешаме а оьгӀазе а боцуш, къийсамаш ца беш а хила беза.</verse>
				<verse number="9">Иштта зударий а доӀа дечу хенахь хила беза оьзда духар дуьйхина а, эхь хеташ а, оьзда а. Уьш месаш хаза кечъярца, деших я жовхӀарех йина хӀуманашца, я беза мах болу духаршца хазбала ца беза.</verse>
				<verse number="10">Амма уьш шайн дикачу гӀуллакхашца хаза хила беза, Дела лоручу зударшца иза догӀуш ма-хиллара.</verse>
				<verse number="11">Зуда Ӏемачу хенахь тийна а, хьоьхучунна кхоччуш муьтӀахь а хила еза.</verse>
				<verse number="12">Ца магадо ас зуда хьехамаш беш хилар. Божаршна тӀехь куьйгалла а ца деш, тийна хила еза иза.</verse>
				<verse number="13">ХӀунда аьлча Дала хьалха кхоьллинарг Адам вара, тӀаккха Хьава яра.</verse>
				<verse number="14">Ӏехавелларг а Адам вацара, ткъа зудчо, Ӏеха а елла, зулам динера.</verse>
				<verse number="15">Нагахь санна кхидӀа а Делах а тешаш, адамаш а дезаш, цӀена а, оьзда а и хилахь, бер дарца кӀелхьаръер ю иза.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">Нагахь санна цхьанна динан куьйгалхо хила дагадеанехь, цунна дика гӀуллакх дан дагадеана. И дош бакъ ду.</verse>
				<verse number="2">Ӏийсах тешачийн тобанан гӀайгӀабийриг цхьанна а стеган ала хӀума доцуш цӀена хила веза. Цуьнан цхьа зуда бен хила ца еза. Кхетаме а, собаре а, оьзда а, безамца хьеший тӀеоьцуш а, динах лаьцна хьеха хууш а хила веза иза.</verse>
				<verse number="3">Малар тӀехдоккхуш, девнаш дохуш хила ца веза. Амма эсала а, машаре а, ахчанна сутара воцуш а хила веза иза.</verse>
				<verse number="4">Шен цӀа дика лело а деза цо, шен бераш шена муьтӀахь хила а, нах лара а Ӏамо деза.</verse>
				<verse number="5">Шен цӀа лело а ларош воцург лелар вуй те Ӏийсах тешначийн Делан долахь йолчу тобанан гӀайгӀа беш?</verse>
				<verse number="6">Ӏийсах тешна дукха хан йоцучу божарех хила ца веза иза, цуьнан даг чу куралла а йоьссина, иблисана санна, иза кхел йина ца хилийтархьама.</verse>
				<verse number="7">Арахьарчу наха дика тоьшаллаш деш хила а веза иза, шена Ӏиттарш ца яйта а, иблисан гуре ша ца лацийта а.</verse>
				<verse number="8">Динан куьйгалхойн гӀоьнчий а хила беза хьанал нах, шалха мотт а боцуш, чагӀар малар тӀех а ца доккхуш, ахчанах шайна пайда а ца лоьхуш.</verse>
				<verse number="9">Ӏийсах тешаран динах довзийтина бакъдерг цӀеначу дагца лардан хууш хила беза уьш.</verse>
				<verse number="10">Ишттанаш а цкъа хьалха зен беза. Цул тӀаьхьа, ала хӀума доцуш уьш цӀена белахь, динан куьйгалхошна гӀо дайта мегар ду цаьрга.</verse>
				<verse number="11">Царах терра хьанал а, мотт ца бетташ а, кхетаме а, массо а хӀуманна тӀехь тешаме а хила беза церан зударий а.</verse>
				<verse number="12">Динан куьйгалхойн гӀоьнча а цхьана зудчун майра хила веза. Шен берашна тӀехь а, шен цӀа чохь а дика куьйгалла далуш а хила веза иза.</verse>
				<verse number="13">Далла гӀуллакх дика деш болчарна лараме дарж а хир ду, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тешар шеконаш йоцуш а хир ду церан.</verse>
				<verse number="14">ХӀара кехат яздо ас хьоьга, кестта хьо волчу ван ойла йолуш.</verse>
				<verse number="15">Нагахь санна со хьелахь а, Делан хӀусамехь дан дезарг хьоьга хаийта боху ас. Делан хӀусам дийна волчу Делан долахь йолчу Ӏийсах тешачийн тобанан гулам бу — билггал бакъдолчун бӀогӀам а, бух а.</verse>
				<verse number="16">Къийса ца дезаш, динах йовзийтина къайле чӀогӀа йоккха ю: Иза адаман дегӀехь гучуваьккхина, Делан Сино бакъвина, маликашна Иза гина, къаьмнашна юкъахь дӀакхайкхийна, дуьненахь адамаш Цунах тешна, сийлаллехь Иза хьалаваьккхина.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">Делан Сино кхеттош схьабоху: тӀаьхьарчу хенашкахь цхьаболу нах Ӏийсах тешарх юхабевр бу. Адамаш Ӏехош долчу харцжинашна а, жинийн хьехамашна а тӀаьхьахӀуьттур бу уьш.</verse>
				<verse number="2">Харц а луьйш, шалхо лелочу нахера бу и хьехамаш. Ткъа цу нехан эхь-бехк дайна.</verse>
				<verse number="3">Зуда маре яхар а, стага зуда ялор а, Дала кхоьллина йолу цхьайолу хӀуманаш яар а ца магадо шалхо лелочу оцу наха. Ӏийсах а тешаш, билггал долу бакъдерг девзинчаьрга, Шена хастамаш а бойтуш, яийтархьама, елла Дала и юург.</verse>
				<verse number="4">Дала кхоьллинарг дерриг а дика ду. Цхьа а хӀума вон дац, Далла хастамаш а беш, иза тӀеоьцуш делахь,</verse>
				<verse number="5">хӀунда аьлча Делан дашца а, вайн доӀанашца а иза Далла хьалха цӀанло.</verse>
				<verse number="6">И дерриг а динан вежаршна а хьоьхуш, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дика гӀуллакхдархо хир ву хьох. Вайн динан дешнех а, хьо тӀаьхьаваьллачу дикачу хьехамах а вузуш, вехар ву хьо.</verse>
				<verse number="7">Пайда боцу туьйранаш а, даьсса хабарш а дӀататта. Мелхо а, хьо суьпа хилийта чӀогӀа къахьега деза.</verse>
				<verse number="8">ХӀунда аьлча мелла а пайда хуьлу шен дегӀ чӀагӀдархьама къахьегарх, ткъа суьпа хила Ӏамар массо а агӀор пайдехьа ду. Цуьнгахь ю хӀинцалерчу а, хиндолчу а дахарна йина чӀагӀо.</verse>
				<verse number="9">И дош бакъ а ду, муьлххачу а агӀор тӀелаца хьакъ долуш а ду.</verse>
				<verse number="10">Ваьш суьпа хилийтархьама, вай къахьоьгуш а, болх беш а ду. ХӀунда аьлча массо а адамийн, къаьсттина Ӏийсах тешаш болчеран, КӀелхьардохург волчу дийначу Делах вай теша.</verse>
				<verse number="11">ХӀара хьехамаш адамашна дӀа а кхайкхабе, хьеха а хьеха.</verse>
				<verse number="12">Цхьа а стаг хьан къоналлех ца вешаш ма хуьлийла. Ӏийсах тешачарна массарна а хьайх дика масал гайта айхьа дуьйцучуьнца, оьзда леларца, безамца, тешам хиларца, дог цӀена хиларца.</verse>
				<verse number="13">Со хьо волчу дӀакхаччалц, нахана юкъахь Делан Йозанаш а доьшуш, Делан дош дӀа а кхайкхош, нахана хьеха а хьоьхуш, дикка хан яккха.</verse>
				<verse number="14">Хьайгахь долу Делан Синан похӀма тергам боцуш ма дита. Делера хиллачу хаамца а, динан тобанан тхьамданаша куьйгаш тӀедахкарца а хьуна делла ду иза.</verse>
				<verse number="15">И гӀуллакхаш а деш, яккха хьайн ерриг а хан, хьан кхиамаш массарна а гуш хилийтархьама.</verse>
				<verse number="16">Хьайн лелар а, айхьа беш болу хьехамаш а ларбе. ХӀара ас аьлла долу гӀуллакхаш даим а де, хӀунда аьлча уьш дарца ахьа хьо а кӀелхьарвоккхур ву, хьайга ладоьгӀуш берш а кӀелхьарбохур бу.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">Воккхачу стагана Ӏиттарш а ца еш, цунна хьайн дена санна хьехам бе, кегийчарна а, вежаршна санна, хьеха.</verse>
				<verse number="2">Хьайн ненаца санна, лараме хила баккхийчу зударшца, хьайн йижаршца санна, лараме хила зудаберашца. Массо а агӀор догцӀена хила цаьрца.</verse>
				<verse number="3">Бисина Ӏаш болу зударий лара — царах билггал бисина Ӏаш берш боху ас.</verse>
				<verse number="4">Нагахь санна цхьана йисинчу зудчун бераш делахь, я берийн бераш делахь, уггар хьалха шайн доьзалш лара Ӏамо беза уьш. Шайн дена а, нанна а оьшург латто а деза цара. Далла хазахетарг ду иза.</verse>
				<verse number="5">Билггал цхьа йисина Ӏаш йолу зуда, Делах дегайовхо а йолуш, дийнахь а, буса а доӀанаш а деш, сих-сиха Деле гӀо доьхуш хуьлу.</verse>
				<verse number="6">Ткъа шен дегӀана там лоьху йисина зуда, дийна йоллушехь, елла ю.</verse>
				<verse number="7">Царна ала хӀума ца хилийтархьама, кху хьехамех кхетабе уьш.</verse>
				<verse number="8">Нагахь цхьаммо шайчеран, къаьсттина шайн цӀерачеран, дола деш дацахь, иза динах а ваьлла, Ӏесачу стагал а оьшуш ву.</verse>
				<verse number="9">Кхузткъа шарал тӀехъяьлла хан а йолуш, цхьана стеган цӀарна тӀехь бен хилла а йоцуш, хила еза динан тобано дӀаязйина йолу йисина зуда.</verse>
				<verse number="10">Шен дикачу гӀуллакхашца нахана евзина а елахь, шен бераш а кхиош, хьеший дика тӀе а оьцуш, шаьш лахара хоьтуьйтуш долу гӀуллакхаш Делан нахана а деш, хало хьоьгуш болчарна гӀо а деш, муьлхха а дика гӀуллакх дан а гӀерташ елахь, иза дӀаязъян тарло.</verse>
				<verse number="11">Ткъа къона болуш бисина Ӏаш болу зударий ма харжа, хӀунда аьлча шайн дегӀан лаамаш хьалха бевлча, Дала леррина Къобалвинчунна тешаме а ца хуьлуш, царна маре баха лаа тарло.</verse>
				<verse number="12">Иштта леларца шаьш бехкебойту цара, хьалха дина нигат дӀатеттина дела.</verse>
				<verse number="13">Цул совнаха, мукъа хила а, хьошалгӀа эха а Ӏема уьш. Ткъа мукъа хилла а ца Ӏаш, эладитанаш а дуьйцуш, массо а хӀуманна юкъа а гӀерташ, хьашт мел доцург а дуьйцуш, лела уьш.</verse>
				<verse number="14">Цундела лаьа суна бисина къона зударий маре гӀойла а, цара бераш дойла а. Шайн цӀа а лелош, шайна дуьхьал волчунна шайх лаьцна вониг ала цхьа а бахьана ца дуьтуш, Ӏан беза уьш.</verse>
				<verse number="15">ХӀунда аьлча цхьаберш хӀинцале а иблисана тӀаьххье харц новкъа бевлла.</verse>
				<verse number="16">Нагахь санна Ӏийсах тешачу цхьана зудчун доьзалехь йисина зуда елахь, цо кхаба еза иза. Ӏийсах тешначийн тобанна хало ян ца еза, баккъалла а бисина Ӏаш болчу зударшна оцу тобанан гӀо дан таро хилийтархьама.</verse>
				<verse number="17">Ӏийсах тешначийн тобанна дика куьйгалла деш болу тхьамданаш шозза а лара хьакъ долуш бу. Хаза кхаъ кхайкхорна тӀехь а, хьехамаш барна тӀехь а къахьоьгурш къаьсттина лара беза.</verse>
				<verse number="18">ХӀунда аьлча Делан Йозано хӀара боху: «Оруш болчу стеран бага дӀа ма къовла». Кхин а боху: «Къахьоьгург шена догӀу алапа схьаэца хьакъ долуш ву».</verse>
				<verse number="19">Динан тобанан тхьамда бехкевар шиъ я кхоъ теш волуш бен тӀе ма лаца.</verse>
				<verse number="20">Къинош летийнарш массарна хьалха бехке бе, кхечеран а даг чохь кхерам хилийтархьама.</verse>
				<verse number="21">Далла а, Цо леррина къобалвинчу Ӏийсана а, хаьржинчу маликашна а хьалха, дуй а бууш, доьху ас хьоьга: хӀара хьехамаш ларбе, цхьаьнгге озабезам а ца беш, цхьаъ вукхарал лакхара а ца хеташ.</verse>
				<verse number="22">Сихлой, цхьанна а тӀе доӀанца куьйгаш ма дахка. Кхечара леточу къиношкахь дакъа ма лаца. Хьо-хьо цӀеналлехь латтаве.</verse>
				<verse number="23">ХӀинца чул тӀаьхьа, деккъа хи а малий, ма Ӏе. Хьайн лозучу зорхан дуьхьа а, хьайна сих-сиха хуьлу цамгарш дӀаялийта а жимма чагӀар мала.</verse>
				<verse number="24">Цхьаболчу нехан къинош гуш хуьлу, уьш бехке хиларх массо а кхета кхел а яле. Ткъа цхьаболчеран къинош тӀаьхьо бен гучу ца довлу.</verse>
				<verse number="25">Иштта дика гӀуллакхаш а схьагуш хуьлу, ткъа уьш, гуш дацахь а, къайлаха а ца дуьсу.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="6">
				<verse number="1">Лоллехь бохкучу леша а, хьакъ мадду кхоччуш лара беза шайн олахой. И дан деза Делан цӀе а, вайн хьехамаш а емал ца байта.</verse>
				<verse number="2">Шаьш санна Ӏийсах тешачу шайна тӀехь болчу олахойх ца дешаш ма хила. Мелхо а, шайн динан вежарий уьш болу дела, кхин а дика царна гӀуллакх дан деза цара. ХӀунда аьлча церан балхах беркат хуьлурш царна безаш болу Ӏийсах тешнарш бу. Иштта хьехамаш а бе, кхета а бе.</verse>
				<verse number="3">Цхьаболчара харц хьехамаш дӀасабаржабо. Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан хьекъале долчу дешнашна реза ца хуьлу уьш. Ӏийсах тешарг муха лела веза боху хьехам а тӀе ца оьцу цара.</verse>
				<verse number="4">Ишттачарна даг чу куралла йоьссина. Царна хӀумма а ца хаьа. Къовсабаларан а, дашах лаьцна къийсаме къамелаш даран а цамгар кхетта бу уьш. Ишттачух долало хьагӀ хилар, девнаш дахар, вовшашна лер, мекара шеконаш хилар.</verse>
				<verse number="5">Хьекъалх телхинчу нахана юкъахь хуьлу и къийсарш. Билггал бакъдолчунна гена бу уьш. Динах шайна цхьа са ер ю моьтту царна.</verse>
				<verse number="6">Баккъалла а, суьпа хиларх вайна йоккха са йолу, нагахь санна вайн долуш долчунна вай реза хилахь.</verse>
				<verse number="7">ХӀунда аьлча кху дуьнен чу вай цхьа а хӀума ца деана, гуш ду-кх цхьа а хӀума кху дуьнен чуьра вайга дӀадахьалург ца хилар а.</verse>
				<verse number="8">Юург а, тӀеюхург а вешан хилча, тоам бан беза вай.</verse>
				<verse number="9">Шайн хьал совдаккха луурш зуьйш ма бу. Дукха сонтачу а, зуламечу а лаамийн речӀано лоцу уьш. Оцу хӀуманаша уьш дакъаза а боху, хӀаллак а бо.</verse>
				<verse number="10">Массо а тайпана вочу хӀуманан орам — ахчанна сутара хилар ду. Ахчанна тӀаьхьа а бевлла, дукхахберш динах дӀабирзира. Цундела шаьш-шайга баккхий баланаш хьоьгуьйту цара.</verse>
				<verse number="11">Хьо-м Делан стаг вай, Тимапи. Оцу вочу хӀуманех къахкалахь. Делан лаамехь хилар, суьпа хилар, тешар, безам, собар, эсала хилар лахалахь.</verse>
				<verse number="12">Тешарца боьзна болчу дикачу тӀамехь хьуьнарца тӀом бе, хедар доцучу дахаран ял хьайна тӀеэца гӀерта. Цу дахарна Дала хьо тӀекхайкхира, дуккха а тешашна хьалха хьайн хаза тоьшалла ахь дича.</verse>
				<verse number="13">Понти Пулатана хьалха Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас а дира хаза тоьшалла. Цунна хьалха а, массо а хӀуманна дахар луш волчу Далла хьалха а ас хьуна хӀара тӀедуьллу:</verse>
				<verse number="14">ала хӀума доцуш цӀена кхочушбе хӀара хьехам, вайн Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Ӏийса кху дуьнен чу схьаваллалц.</verse>
				<verse number="15">Ӏийса кху дуьнен чу схьавар шен хан тӀекхаьчча гойтур ду Дала — декъала а, Ша цхьаъ бен воцу Нуьцкъалхо а, паччахьийн Паччахь а, олахойн а Олахо а ву Иза.</verse>
				<verse number="16">И цхьаъ бен вац Ӏожалла тӀейогӀур йоцург. Цхьа а адам тӀекхочийла доцучу нуьрехь Ӏаш ву Иза. Цхьанна а адамна Иза гина а вац, цхьанна а адамна Иза гойла а дац. Цунна ду сийдар а, абаден олалла а. Амин.</verse>
				<verse number="17">Кху заманчохь хьалдолчарна кура ца хилар тӀедилла. Тешаме доцучу церан хьоле сатуьйсучул, Деле сатийса дезарх кхетабе уьш. ХӀунда аьлча Дала дерриге а шортта ло вайна, вай, хаза а хеташ, дахийтархьама.</verse>
				<verse number="18">Хазаниг дар а, дика гӀуллакхаш шортта дар а тӀедилла царна. Комаьрша хила а, шайн хьал кхечаьрца декъа а хьеха царна.</verse>
				<verse number="19">Уьш иштта лелахь, шайна стигалахь бахам гулбийр бу цара. Ткъа и бахам хинйолчу заманахь онда бух хир бу. И бахьана долуш уьш бакъдолчу дахаре кхача тарло.</verse>
				<verse number="20">Ва Тимапи! Дала хьайга Ӏалашдан дӀаделларг ларде. Ӏесачу хабарех а, хазачу кхоаца цхьаьна ца догӀучу хӀуманех а дӀаверза. Цхьаболчара уьш «хьекъал» олий лору, амма иза харцдерг ду.</verse>
				<verse number="21">Цхьаберш, оцу хьекъална тӀаьхьабовлар бахьана долуш, динан некъах тилабелла. Делан дика хуьлда шуьца массаьрца а.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="55">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">Тимапи, хӀара кехат яздо хьоьга ПахӀала. Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан векал ву со Делан лаамца. Со Дала ваийтина Ша леррина къобалвинчу Ӏийсаца цхьаьна вай долчу хенахь лур ду аьлла долу бакъдолу дахар дӀакхайкхо.</verse>
				<verse number="2">Ас яздо хьоьга, сайн хьоме кӀант волчу Тимапига. Вайн Да волчу Делера а, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а долу дика а, къинхетам а, синпаргӀато а хуьлда хьуна.</verse>
				<verse number="3">Дийнахь а, буса а сайн доӀанашкахь хьо дукхазза а дагавогӀуш, сан дайша ма-барра, цӀеначу дагца айса лоруш волчу Далла хастам бо ас.</verse>
				<verse number="4">Деана долу хьан бӀаьрхиш дагахьдохку суна. Хьо ган лууш кийра богу сан. Хьо а гина, сан хазахетар кхочушхуьлийла.</verse>
				<verse number="5">Хьо цӀеначу даггара Ӏийсах тешар дагадогӀу суна. Хьалха хьан бабин Лусин а, хьан ненан Эвникин а даг чохь иштта тешар лаьттара. Ткъа хӀинца хьан даг чохь а и тешар латтарх шеко яц сан.</verse>
				<verse number="6">Цундела юха а дагадоуьйту ас хьуна, сайн куьйгаш тӀедахкарехула, Дала хьайна деллачу похӀмин алу кхин а йовха ягийталахь.</verse>
				<verse number="7">ХӀунда аьлча Дала вайна кӀиллоллин са хилийта ца делла Шен Са, ткъа вайн синан ницкъ хилийта а, безам зуьйш а, вай кхетаме хилийта а делла.</verse>
				<verse number="8">Цундела эхь ма хета вайн Везачу Элах лаьцна тоьшалла дан. Цуьнан дуьхьа тутмакх волу со бахьана долуш а эхь ма хета. Мелхо а, ахьа а Дала хьайна луш болчу ницкъаца хаза кхаъ дӀакхайкхоран дуьхьа соьца цхьаьна баланаш хьега.</verse>
				<verse number="9">Дала кӀелхьардаьхна вай. Цо Шена тӀекхайкхина вай, Шен долахь дерш вайх хилийтархьама. Вай дина гӀуллакхаш бахьана долуш ца дина Дала иза, амма Шен Ӏалашо а, дика а бахьана долуш дина. Хенаш а кхоллале, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула вайна делла дара Цуьнан мах боцу дика.</verse>
				<verse number="10">Ткъа и дика вайна-м Дала леррина къобалвина Ӏийса, вай КӀелхьардаьхнарг, кху дуьнен чу схьавеача, хӀинцца бен ца гайтина Дала. Вайна тӀехь долу Ӏожаллин олалла дохийна Ӏийсас. Ша дӀакхайкхийнчу хазачу кхоэхула Ӏожалла ца хуьлу бакъдолу дахар стенца хуьлу гайтира Цо.</verse>
				<verse number="11">И хаза кхаъ дӀакхайкхо Ӏийсан векал а, хьехархо а дӀахӀоттийна со.</verse>
				<verse number="12">Цундела хӀара массо а баланаш дӀакхоьхьуш ву со. Амма суна эхь ца хета. Суна хаьа со Хьанах тешна. Сох а тешна, тӀедогӀур долчу оцу денна Ша соьга делларг лардан Иза ницкъ болуш хиларх со тешна ву.</verse>
				<verse number="13">Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула вайн долуш долчу тешарца а, безамца а соьгара хьайна хезначу цӀеначу хьехамех масал а дай, Ӏелахь.</verse>
				<verse number="14">Хьайх а тешна, дитина долу диканиг вайн чохь дехаш долчу Делан Синан гӀоьнца ларделахь.</verse>
				<verse number="15">Хьуна хууш ма-хиллара, Асиа-махкахь берш массо а сох дӀабирзина. Царна юкъахь бу Пигал а, ХӀарми-Гена а.</verse>
				<verse number="16">Везачу Эло къинхетам бойла Анисапаран цӀийнах. Цо дукхазза а догъэцна сан. Со набахтехь хиларх эхь ца хийтира цунна.</verse>
				<verse number="17">Рим-гӀалахь ша нисвелча, леррина лехча, со халла карийра цунна.</verse>
				<verse number="18">Везачу Эло Шегахь болу къинхетам бойла цунах вайна тӀедогӀур долчу оцу дийнахь. Эпас-гӀалахь цо суна мел дина долу дика гӀуллакхаш хьуна-м къаьсттина дика хаьа.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Ткъа хьо, сан кӀант, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца вай хиларна, вайна делла долчу диканца доьналла долуш хилалахь.</verse>
				<verse number="2">Дуккха а тешаш а болуш, хьайна соьгара хезна болу хьехамаш дӀалолахь тешамечу нахе, кхечарна хьеха хьуьнар долчаьрга.</verse>
				<verse number="3">Дакъалацахьа ас хьоьгучу баланашкахь, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дикачу тӀемалочо санна.</verse>
				<verse number="4">Цхьа а дика тӀемало шен цӀерачу гӀуллакхашна тӀера ца хуьлу, эскаре кхайкхинчу хьаькамна муьтӀахь хила лууш.</verse>
				<verse number="5">Ткъа къийсадаларшкахь дакъалоцучунна толаман таж кхочур дац, нагахь санна иза, бакъонаш лар а еш, къовса ца веллехь.</verse>
				<verse number="6">Къахьегна волчу ахархочунна уггар хьалха дӀакхачо деза ша бинчу белхан кхачанан дакъа.</verse>
				<verse number="7">Ойла елахь аса дуьйцуш долчун. И массо а хӀума хаа кхетам лур бу хьуна Везачу Эло.</verse>
				<verse number="8">Беллачарна юкъара денвина волу, Дауд-паччахьан тӀаьхьенах ваьлла волу Дала леррина къобалвина Ӏийса даим дагахь латтавелахь. Ас кхайкхош болчу хазачу кхоан чулацам иштта бу.</verse>
				<verse number="9">Хаза кхаъ кхайкхорхьама тӀеэцна ас хӀара бала. Ур-атталла, зуламхочунна санна, буржалш а тоьхна суна. Амма Делан дашна тохалур дац буржалш.</verse>
				<verse number="10">Цундела Дала къастийначарна хиндолчу диканан дуьхьа ловш бу аса хӀара массо а баланаш. Лаьа-кх Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула луш долу кӀелхьардовлар а, даим а хиндолу сийлалла а царна а кхачийта.</verse>
				<verse number="11">Нийса аьлла ду: «Нагахь санна вайн Ӏийсаца далар хиллехь, Цуьнца цхьаьна дахар а хир ду вайн.</verse>
				<verse number="12">Нагахь санна вай баланаш ловш делахь, Цуьнца цхьаьна паччахьалла деш а хир ду вай. Нагахь санна вай Цунах дӀакъастахь, тӀаккха Иза а вайх дӀакъаьстар ву.</verse>
				<verse number="13">Нагахь санна вай тешаме ца хилахь а, Иза-м хӀетте а тешаме хир ву, хӀунда аьлча Ша-Шех дӀакъаьстийла дац Цуьнан».</verse>
				<verse number="14">И хӀуманаш нахана дагадаийта. Далла хьалха дӀахьеде цаьрга, дешнаш тӀехула къийсамаш ма бе алий. ЛадоьгӀурш галбахар бен, иза цхьанна а пайденна дац.</verse>
				<verse number="15">Делан къобалдар хьайна хилийтархьама, хьайн ницкъ кхочург дерриг а делахь. Цхьанна а агӀор эхь хетийла доцу дика белхало санна хилалахь, билггал бакъдолчух лаьцна долу дош ма-дарра нийса а хьоьхуш.</verse>
				<verse number="16">Ӏеса а, сонта а долчу хабаршна генна валалахь, хӀунда аьлча цара адамаш Далла уллора гена доху.</verse>
				<verse number="17">Ткъа иштта хьехамаш, вочу цамгаран ун санна, сихха дӀасабаьржа. И Ӏеса а, сонта а хабарш хьоьхучарна юкъахь бу ХӀуьманай а, Пилти а.</verse>
				<verse number="18">Уьш билггал бакъдолчунна тӀера дӀабевлла. Цара хьоьху, белла болу нах денло де чекхдаьлла бохуш. Иштта долчу хьехаршца цара цхьаболчу нехан тешар галдоккху.</verse>
				<verse number="19">Делахь а Дала дӀахӀоттийна болу онда бух чӀогӀа лаьтташ бу. Цунна тӀе дӀаяздина хӀара дешнаш ду: «Везачу Элана бевза Шен долахь берш». Кхин а боху: «ХӀора а, ша Везачу Элан ву бохург, зуламах къахка веза».</verse>
				<verse number="20">Муьлххачу а доккхачу цӀа чохь дашо а, дато а пхьегӀаш хилла а ца Ӏаш, дечигах а, кхийра поппарх а йина йолу пхьегӀаш а хуьлу. Царах цхьаерш дезачу гӀуллакхна лерина хуьлу, вуьш ларамазчу гӀуллакхна лелош хуьлу.</verse>
				<verse number="21">Иштта массо а вон долчух цӀанвелларг а хир ву лакхарчу гӀуллакхна хаьржина, язйина йолу и пхьегӀа санна. Иштта стаг а ма хуьлу шен Олахочунна тешаме а, пайден а, массо а дикачу гӀуллакхна кийча а.</verse>
				<verse number="22">Къоначийн сийсазчу лаамех вадалахь. ЦӀеначу даггара Везачу Эле кхойкхучаьрца лаха нийсо а, тешар а, безам а, синан паргӀато а.</verse>
				<verse number="23">Сонтачу а, кхетамбоцучу а къийсарех къахка, хӀунда аьлча хьуна хьайна а хаьа-кх уьш девне довлий.</verse>
				<verse number="24">Везачу Элан лай товш вац къийсалуш. Массаьрца а кӀеда-мерза, хьехамаш бан дика хууш, собар долуш хила веза иза.</verse>
				<verse number="25">Шен мостагӀашна а эсала хьехамаш бан беза цо. Дала царна а дохкодовлар а, билггал бакъдерг довзар а дала тарло.</verse>
				<verse number="26">ТӀаккха и мостагӀий а, дохко а бевлла, меттабогӀур бу. Иблисо шен лааме берзийна болу уьш шаьш дӀалаьцначу цуьнан речӀанах паргӀатбевр бу.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">Хаалахь, тӀаьхьарчу деношкахь хала хенаш хир ю.</verse>
				<verse number="2">Шайн бен ойла ца еш хир ду адамаш. Уьш хир ду сутара, дозаллаш деш, кураллаш еш, вон баганаш лееш, дена а, нанна а муьтӀахь доцуш, баркалла доцуш, дин доцуш.</verse>
				<verse number="3">Вовшех къа ца хеташ, къинхетаме боцуш, вовшашна мотт бетташ, сацам боцуш, къизаллех буьзна, дика хӀума бӀаьрга дан ца дезаш хир бу уьш.</verse>
				<verse number="4">Ямартлонаш лелош, шаьш лелочун кӀоргга ойла ца еш, даг чу куралла йоьссина, сийсаза лелар Дела везарал алсам дезаш хир бу нах.</verse>
				<verse number="5">Дин лелорехь тӀехула суьпа лелар бу уьш, амма динан бакъболу ницкъ дӀатоттур бу цара. Ишттачех къахкалахь.</verse>
				<verse number="6">Къайлаха нехан хӀусамашна чуоьхурш а хир бу ишттачарна юкъахь. КӀеда дог долу зударий кӀелбуьтур бу цара цигахь. Къинойх а буьзна, шайн тайп-тайпанчу сийсазчу лаамашка шаьш лелабойтуш бу и зударий.</verse>
				<verse number="7">Динах лаьцна хьехамаш даим Ӏамо гӀерташ белахь а, билггал долу бакъдерг цкъа а къобал ца дало цаьрга.</verse>
				<verse number="8">Яннай а, Ямвари а Муса-пайхамарна дуьхьал ма-валлара, уьш а дуьхьалбевлла билггал бакъдолчунна. Церан кхетам телхина бу, ткъа церан тешар зийча, уьш Ӏийсах баккъалла а тешаш ца хилар гучудолу.</verse>
				<verse number="9">Амма уьш гена бевр бац. Церан а хьекъал цахилар гучудер ду, вукхеран санна.</verse>
				<verse number="10">Ткъа хьо аса бечу хьехамашна а, сан дахаран кепана а резахилира. Сан Ӏалашонех а, сан тешарх а, сан собарх а, безамах а, доьналлах а масал ийцира ахь.</verse>
				<verse number="11">Со эккхийна волуш а, ас баланаш хьоьгуш а сан леларан тидам бора ахьа. Хьуна хьайна хаьа-кх Антиохехь а, Иконехь а, Листар-гӀалахь а суна хилларг. Мел ирча баланаш лайра аса цигахь. Делахь а Везачу Эло оцу массо а халачу баланех кӀелхьарваьккхира со.</verse>
				<verse number="12">Вуьшта а хууш ма ду, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсана тӀаьхьа а хӀоьттина, суьпа баха лууш болчара массара а баланаш хьоьгург хилар.</verse>
				<verse number="13">ХӀилланчаш а, къиза нах а кхин а вон хир бу. Цара нах лебийр бу, ткъа шаьш а лебойтур бу.</verse>
				<verse number="14">Хьох лаьцна-м хӀара эр ду ас: хьайна Ӏемина долу а, хьо тешна волу а и гӀуллакх кхидӀа а дан деза ахьа. И дерриг а хьайна хьаьнгара хиъна хаьа-кх хьуна.</verse>
				<verse number="15">Хууш ву хьо Делан Йозанаш бераллехь дуьйна хьайна девзина хилар а. Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тешарехула луш долчу кӀелхьарваларна тӀевалош долу хьекъалалла хьуна дала тарло оцу Йозанаша.</verse>
				<verse number="16">Делан Йозанийн муьлхха а дакъа Дала Шен Ӏаь тоьхна ду. Бакъдерг хьеха а, харцдерг гучудаккха а, гӀалаташ нисдан а, адамаш нийсачу новкъа даха а пайденна ду уьш.</verse>
				<verse number="17">Цу дерригенан Ӏалашо ю: Делан адам муьлхха а дика гӀуллакх дан кийча хилийтар.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">Дала леррина къобалвина волу Ӏийса паччахьалла дан кху дуьнен чу схьавеача, дийна болчарна а, беллачарна а кхел йийр ю Цо. И иштта долу дела, Цунна а, Далла а хьалха, чӀагӀо а еш, ас хӀара весет до хьоьга:</verse>
				<verse number="2">дӀакхайкхаде Делан дош. Хьайна бегӀийла долчу а, доцучу а хенахь и дош дӀакхайкхо кийча хила. Доллучу собарца а, хьехамашца а адамийн гӀалаташ нисде, уьш галдевлча, дӀахаийта царна, уьш иракарахӀиттаде.</verse>
				<verse number="3">ХӀунда аьлча адамаша нийсачу хьехамашка ладугӀур доцу хан тӀейогӀур ю. Шайн-шайн лаамашка а хьоьжуш, шортта хьехамчаш шайна гонах гулбийр бу цара, шайн лергашна хаза лууш дер-дерг цаьрга дийцийта.</verse>
				<verse number="4">Билггал бакъболчу хьехамах дӀа а бирзина, туьйранашкахьа боьрзур бу уьш.</verse>
				<verse number="5">Ткъа хьо муьлххачу а хьолахь кхетаме а хила, баланаш ловш а хила. Хаза кхаъ кхайкхорхочо санна къа а хьега, Далла гӀуллакх а деш, хьайна тӀедиллинарг дерриге а чекх а даккха.</verse>
				<verse number="6">Сайх лаьцна хӀара эр ду ас: сан дахар Далла хьалха сагӀа даккха дуттуш долу чагӀар санна ду — со дӀакхалха веза хан тӀееана.</verse>
				<verse number="7">Дикачун дуьхьа бечу тӀамехь ас хьуьнарца тӀом а би, и къийсам чекх а баьккхи, сайн тешар а ларди.</verse>
				<verse number="8">Делан лаамехь со ваьхна дела, хӀинца суна кийча ду толамхочунна догӀу таж. Оцу тӀедогӀун долчу дийнахь нийса Кхелахо волчу Везачу Эло лур ду суна и таж. Со воцучунна а, Ӏийса кху дуьнен чу схьаваре безамца сатийсиначарна массарна а лур ду Дала иза.</verse>
				<verse number="9">Тимапи, хӀуъа а дай, суна сихха тӀекхачахьара хьо.</verse>
				<verse number="10">ХӀара дуьне шена дезарна, сох дӀа а къаьстина, Тассалник-гӀала вахана Деми. Кери-Сака Галата-махка вахана, ткъа Тита Далмати-махка вахана.</verse>
				<verse number="11">Лака воцург, кхин цхьа а вац соьца висина. Лаха а лахий, Марк а схьавалавехьа хьайца. Сан балхана тӀехь суна пайден хир ву иза.</verse>
				<verse number="12">ТихӀак Эпас-гӀала вахийтина ас.</verse>
				<verse number="13">Троя-гӀалахь Карпу волчохь ас йитина сан тӀеюхуш йолу йовха палаш а, сан тептарш а, къаьсттина тӀаьрсигна тӀехь яздина дерш, схьадахьа, хьо вогӀуш.</verse>
				<verse number="14">Дукха зуламаш дина суна цӀестан пхьар волчу Искандара. Цо мел лелийначунна Везачу Эло таӀзар дийр ду цунна.</verse>
				<verse number="15">Хьо а ларвала веза цунах. Вайн хьехамашна чӀогӀа дуьхьалваьлла иза.</verse>
				<verse number="16">Суна дуьххьара кхел ечу хенахь соьгахьа гӀо даккха цхьа а ца веара, массара а дӀатесира со. Царна дуьхьал ма доккхийла иза Дала!</verse>
				<verse number="17">Амма соьца Веза Эла вара. Цо ницкъ белира суна хаза кхаъ кхоччуш болчу барамехь соьгахула дӀакхайкхабайта а, массо а кхечу къаьмнех болчу нахана иза дӀахазийта а. Иштта кӀелхьарваьккхинера со лоьман багара.</verse>
				<verse number="18">Везачу Эло муьлххачу а зуламах со кӀелхьара а воккхур ву, Шен стигаларчу пачхьалкхе со дӀа а вуьгур ву. Хастам хуьлда Цунна массо а заманчохь. Амин.</verse>
				<verse number="19">Маршаллаш ло соьгара ПхьаьрскӀилате а, Ӏакхиле а, Анисапаран цӀерачаьрга а.</verse>
				<verse number="20">Арсати Коринт-гӀалахь висира. Ткъа ТрахӀим Милет-гӀалахь витира ас, иза цомгуш волу дела.</verse>
				<verse number="21">ХӀуъа дай а, Ӏа тӀедале, схьакхача гӀортахьара хьо. Маршаллаш доуьйту хьоьга Ӏевала а, Пудас а, иштта Ланас а, Калабдата а, массо а вежарша а.</verse>
				<verse number="22">Веза Эла хуьлийла хьан синца. Делан дика хуьлийла шуьца массаьрца а.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="56">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">ХӀара кехат ду Делан лай волчу а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан векал волчу а ПахӀалера. Со Дала къобалвина Ша хаьржина болчу нехан тешар нийса хилийта а, суьпа муха даха деза гойтуш долу билггал бакъдерг адамашна довзийта а.</verse>
				<verse number="2">И кхочушдарца Дела волчохь хедар доцучу дахаре сатийсар ло. Цкъа а харц воцучу Дала заманаш йолаялале дуьйна а хьалха вайна и дахар лур ду аьллера.</verse>
				<verse number="3">Шена хеттачу хенахь Дала Шен дош довзийтира. Вайн КӀелхьардохург волчу Дала, сох а тешна, и дош дӀакхайкхор суна тӀедиллира.</verse>
				<verse number="4">Ӏийсах тешар вайшиннан цхьаъ хиларна, билггал сан кӀант волчу хьоьга яздо аса, Тита. Вайн Да волчу Делера а, вайн КӀелхьардохург волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а долу дика а, синпаргӀато а хуьлийла хьуна.</verse>
				<verse number="5">Аса Критехь хьо витар хӀара Ӏалашо йолуш дара: цигахь даза дисина гӀуллакхаш хьоьга чекхдахийтар а, ас хьайна тӀедиллина ма-хиллара, динан тобанаш йолчу массо а гӀаланашкахь тхьамданаш дӀахӀиттабар а.</verse>
				<verse number="6">Ишттанаш дӀахӀиттабелахь: шайн леларехь вониг ала хӀума доцурш, цкъа бен зуда ялоза берш. Церан бераш а Ӏийсах тешаш хила деза. Цхьаннан а йиш хилийта ца еза, церан бераш сийсаза лела, я уьш Далла муьтӀахь дац ала.</verse>
				<verse number="7">Делан болх шен карахь берг санна, шен леларехь ала вон хӀума доцуш хила веза динан тобанан гӀайгӀабийриг. Ша лакхара а ца хеташ, оьгӀазе а, сиха а воцуш, маларна тӀера а воцуш, леташ а, девне а воцуш, ахчанца шена пайда а ца лоьхуш, хила веза иза.</verse>
				<verse number="8">Безамца хьеший тӀе а оьцуш, диканиг а дезаш, собаре а волуш, оьзда а волуш, Далла тешаме а волуш, юхаозавала а хууш, хила веза тхьамда.</verse>
				<verse number="9">Иштта оха хьехначу, теша хьакъ долчу хьехамашна тӀегӀерташ хила а веза иза. ТӀаккха нийсачу хьехамашца кхиберш иракарахӀитто а, оцу хьехамашна дуьхьал берш харцбан а йиш хир ю цуьнан.</verse>
				<verse number="10">ХӀунда аьлча кӀезиг бац адамаш карзахдохуш къамелаш дийраш. Цара, даьсса хабарш а дуьйцуш, нах Ӏехабо. Къаьсттина Ӏийсах тешаш болчу сунтбинчех лаьцна боху ас хӀара.</verse>
				<verse number="11">Уьш совцо беза. Дийнна доьзалш хӀаллакбо цара, цаоьшург кхайкхош. Эхь а ца хеташ, шайна пайда лоьхуш до цара иза.</verse>
				<verse number="12">Царна юкъара волчу цхьана пайхамаро аьлла а ма ду хӀара: «Критахой гуттара а бу харцлуьйш а, акхаройн къизалла йолуш а, тӀингар юзу малончаш а».</verse>
				<verse number="13">И нийса аьлла а ду-кх. Цундела мел болчу къовламца харцбе уьш, церан тешар нийса хилийтархьама.</verse>
				<verse number="14">Жуьгтийн къоман туьйранаш а, билггал долчу бакъдолчун тӀера дӀабирзинчеран хьехамаш а тергал байта ца беза цаьрга.</verse>
				<verse number="15">Цхьаболчара олу: «ЦӀена болчарна массо а хӀума цӀена ду, ткъа къинош летийначарна а, Ӏийсах ца тешачарна а цхьа а хӀума цӀена дац». Амма церан ойланаш а, дегнаш а телхина ду.</verse>
				<verse number="16">Шайна Дела вевза олу цара, амма шаьш лелош дерг бахьана долуш Цунах дӀабоьрзу уьш. Уьш хьакъ долуш бу вай царах ца даша. Уьш Далла муьтӀахь бац. Цхьана а тайпана дика гӀуллакх шайгара далийта церан хьуьнар дац.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Ткъа ахьа билггал бакъболчу хьехамашца догӀуш дерг хьеха.</verse>
				<verse number="2">Сема а, хьанал а, собаре хилар а, ткъа шайн тешарехь а, безамехь а, собар хиларехь а уьш цӀена хила безар а хьеха баккхийчу нахана.</verse>
				<verse number="3">Иштта баккхий зударий а кхетабе, цӀена а, лараме а лелаш, мотт а ца бетташ, маларан дола а ца боьлхуш, кхечарна диканиг а хьоьхуш, уьш хила безарх.</verse>
				<verse number="4">Цаьрга хьехийта къоначарна шайн майранаш а, шайн бераш а дезар.</verse>
				<verse number="5">Собаре а, цӀена а, шайн доьзалийн бала болуш а, дола деш а, дика хила безарх а, шайн майранашна муьтӀахь хила безарх а кхетабе уьш, цхьаьнгге а Делан дашах лаьцна вониг ца алийтархьама.</verse>
				<verse number="6">Иштта къона божарий а кхетабе собаре хила</verse>
				<verse number="7">массо а хӀуманна тӀехь. Царна хьайгара дика масал гойтуш хилалахь. Хьайн хьехамашкахь догцӀена а, оьзда а хила.</verse>
				<verse number="8">Хьайн хьехам цӀена хилийта, тӀехтохам бан йиш а ца хуьлуьйтуш, хьайн мостагӀа, юьхьӀаьржачу а хӀоьттина, вайх лаьцна ала цхьа а вон хӀума доцуш витархьама.</verse>
				<verse number="9">Лешна а хьеха шайн олахошна муьтӀахь хила безарх а, цара олахошна массо а хӀуманна тӀехь там бан безарх а, олахошна уьш дуьхьал лен ца безарх а лаьцна.</verse>
				<verse number="10">Къола а ца деш, тешаме уьш хила безар а хьеха царна, цара лелош долчу дерригено а вайн КӀелхьардохург волчу Делах лаьцна хьехамаш хазбархьама.</verse>
				<verse number="11">ХӀунда аьлча массо а адамашна кӀелхьардохуш долу Делан дикалла гучуделира.</verse>
				<verse number="12">Ӏесалла а, дуьненан боьха лаамаш а дӀа а тесна, собаре а, догцӀена а, суьпа а лелаш кху заманчохь даха хьоьху вайна оцу дикалло.</verse>
				<verse number="13">Вай иштта лела деза, къобалдинчу сатийсаре ла а дуьйгӀуш: иза хир ду сийлахьчу Делан а, вайн КӀелхьардохург волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан а сийлалла схьадар.</verse>
				<verse number="14">Цо вайн дуьхьа Шен дахар дӀаделла, вай муьлххачу а зуламех паргӀатдахархьама а, Шен долахь долу а, дикачунна тӀегӀиртина долу а халкъ къинойх цӀандархьама а.</verse>
				<verse number="15">ХӀара хьеха дезарш а хьеха, хьайн мел долчу олаллица иракара а хӀиттабе уьш, шен-шен метта а хӀиттош, дӀанисбе, цхьа а хьох ца вешаш ца хилийта.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">Нахана дагадаийта шаьш хьаькамашна а, куьйгаллехь болчарна а муьтӀахь хила безар а, муьлхха а дика гӀуллакх дан шаьш кийча хила безар а.</verse>
				<verse number="2">Цхьанна а ле а ца луьйш, машаре а, эсала а, массо а адамашца шаьш кӀеда-мерза хилар а гойтуш, хила беза уьш.</verse>
				<verse number="3">ХӀунда аьлча вай а ма дара цхьана хенахь сонта а, Далла муьтӀахь доцуш а, тиладелла а лелаш. Тайп-тайпанчу боьхачу лаамийн а, дегӀана там лехаран а леш а хилла, оьгӀазаллах а, дераллах а, хьогӀах а дуьзна, вовшийн а ца дезаш, дехаш дара вай.</verse>
				<verse number="4">Вай КӀелхьардохург волчу вайн Делан дика а, адамашка болу Цуьнан безам а гучубаьлча,</verse>
				<verse number="5">вай дина долу бакъахьара гӀуллакхаш бахьанехь а доцуш, ткъа Шен къинхетамца кӀелхьардаьхна вай. Шен Дезачу Синехула Цо вай цӀан а дина, юха а кхоьллина, карла а даьхна.</verse>
				<verse number="6">Ша леррина къобалвина волчу, вайн КӀелхьардохург волчу Ӏийсагахула Дала шортонца тоьхна вайна Шен Синан Ӏаь.</verse>
				<verse number="7">Шен маьхза долчу диканца Цо вай бакъдина, Ша волчохь хедар доцучу дахаре кхача сатуьйсучех вай хилийтархьама.</verse>
				<verse number="8">И дош бакъ ду. Цундела суна а лаьа оцу тӀехь хьо латта, Делах тешнарш дика гӀуллакхаш дарна тӀехь кхиамаш баха гӀертийтархьама. Иза дика а ду, адамашна пайден а ду.</verse>
				<verse number="9">Сонтачу къийсарех а, шайн хьалхалера тайпанаш хьехош къуьйсуш дечу къамелех а, товрат-хьехамех лаьцна дечу девнех а, хабарех а ларлолахь. Уьш пайден а дац, даьсса а ду.</verse>
				<verse number="10">Цкъа а, шозза а айхьа хьехамаш бина болу нах бекъаболуьйтург Ӏадвита,</verse>
				<verse number="11">и стаг, нийсачу новкъара гал а ваьлла, къинош а летош, ша-шена кхел еш лелаш хилар хьайна хаьа дела.</verse>
				<verse number="12">Артем я ТихӀак аса хьайна тӀеваийтича, со волчу Никупола-гӀала схьаван хьажа сихо елахь, хӀунда аьлча цигахь Ӏа даккха сацам бина аса.</verse>
				<verse number="13">Ӏедал девзаш волу Зину а, Апа-Леса а дика леррина новкъа ваккхалахь. Царна оьшучу цхьанна а хӀуманна тӀехь ледарло ма елахь.</verse>
				<verse number="14">Вайнаш а Ӏама беза шайн хан дикачу гӀуллакхашна яйа, дахарна оьшург тоъал хилийтархьама а, царах пайденна боцурш ца хилийтархьама а.</verse>
				<verse number="15">Соьца болчара массара а хьоьга маршаллаш доуьйту. Тхо санна Делах а тешаш, тхо дезачаьрга массаьрга а маршаллаш ло тхоьгара. Делан дика хуьлийла шуьца массаьрца а.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="57">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">Оха, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дуьхьа тутмакх хиллачу ПахӀала а, динан вашас Тимапис а, яздо тхоьца цхьаьна динан гӀуллакх кхочушдеш волчу хьомечу накъосте Пхьалмане а,</verse>
				<verse number="2">иштта динан йише Апияте а, тхоьца цхьаьна динан тӀемало волчу Арихупе а, Пхьалманан цӀерачу динан тобане а.</verse>
				<verse number="3">Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а дика а, синпаргӀато а хуьлда шуна.</verse>
				<verse number="4">Даим сайн доӀанашкахь хьо дага а лоьцуш, Далла хастамаш бо аса.</verse>
				<verse number="5">Ӏийса-Элах хьан тешарх а, массо а Делан нахе хьан болчу безамах а лаьцна хезна суна.</verse>
				<verse number="6">Аса доӀа до Ӏийсах тешачаьрца хьан йолу юкъаметтиг кхин а кхоччуш хилар доьхуш, Дала леррина Къобалвинчун сийдархьама вай дан мегаш мел долу дика хьуна хаа а хууш.</verse>
				<verse number="7">Динан ваша, хьан безамах боккха синтем а, хазахетар а хилла суна, хьан доггах леларо Делан нехан дегнаш дендина дела.</verse>
				<verse number="8">Иза иштта долу дела, ахь дан дезарг Дала леррина Къобалвинчун цӀарах хьоьга майрра дӀахьедан йиш ю сан.</verse>
				<verse number="9">Делахь а бакъахьа хета суна хьоьга безамца дехар дар. Хьоьга доьхург къена стаг волу ПахӀал ву. Цул сов, хӀинца, Дала леррина Къобалвинчунна Ӏамал ярна, со тутмакх а ву.</verse>
				<verse number="10">Сайн кӀант айса лоручу Онисамах лаьцна дехар до ас. Со набахтехь лаьцна волуш, иза бакъдолчу дахаре ваьккхира аса.</verse>
				<verse number="11">Цхьана хенахь-м хьуна пайденна вацара Онисам. Ткъа хӀинца иза хьуна а, суна а пайденна ву.</verse>
				<verse number="12">Аса юхавоуьйту хьуна иза, хьан кара аса сайн дог дӀалуш санна.</verse>
				<verse number="13">Хаза кхаъ кхайкхорна со лаьцна волчохь, хьан метта сайна гӀуллакх а дойтуш, иза сацо лиира суна.</verse>
				<verse number="14">Делахь а хьан пурба доцуш хӀумма а дан ца лаьа суна. Ахь деш долу дика гӀуллакхаш, ца ваьлла дина а доцуш, ахьа хьайн лаамца дина хуьлийла лаьа суна.</verse>
				<verse number="15">Хьанна хаьа: хьо волчуьра цуьнан цхьана ханна дӀавахар гуттаренна а иза юха хьоьга тӀелацийтархьама нисдина хила а ма тарло.</verse>
				<verse number="16">Лай тӀеоьцуш санна а доцуш, лел лакхара а лоруш, хьоме динан ваша санна, тӀеэцахьара ахьа иза. Суна чӀогӀа дукха веза иза. Ткъа хьуна суна чул а сов везалур ву. Лай санна везалур вац иза, амма Везачу Элера волу ваша санна везалур ву.</verse>
				<verse number="17">Нагахь ахь со хьайн юххера стаг лоруш велахь, со тӀеоьцуш санна, тӀеэцахьа иза а.</verse>
				<verse number="18">Нагахь санна цо хьуна цхьа халахетар динехь, я иза хьуна декхарийлахь велахь, иза аса сайна тӀелоцу.</verse>
				<verse number="19">Аса, ПахӀала, сайн куьйга яздо хьоьга: аса дӀатокхур ду и декхар. Ткъа хьайн дахарца хьо суна декхарийлахь хилар-м ас хьехош а дац.</verse>
				<verse number="20">Цундела, сан ваша, хьо Везачу Элаца волу дела, и гӀуллакх дар доьху ас хьоьга. Синтем бехьа сан дагна Дала леррина Къобалвинчуьнца хьо хиларна.</verse>
				<verse number="21">И ас дехнарг ахьа дийриг хиларх со тешна волу дела, яздо аса хьоьга. Суна хаьа, аса дехначул а сов ахьа иза дийр дуйла.</verse>
				<verse number="22">Кхин цхьа дехар а ду сан хьоьга. Хьайн хьешан чоь кечъелахь суна. Шун доӀанашна жоп а луш, со шу долчу дика дӀакхочур ву аьлла, дегайовхо ю сан.</verse>
				<verse number="23">Маршаллаш доуьйту хьоьга соьца цхьаьна Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дуьхьа тутмакх хиллачу Эпарпис а,</verse>
				<verse number="24">соьца цхьаьна динан гӀуллакх дӀакхоьхьуш болчу Марка а, Арестаха а, Демис а, Лакас а.</verse>
				<verse number="25">Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара долу дика хуьлийла шуьца.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="58">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">Хьалха Дала дукхазза а, тайп-тайпана а дийцина вайн дайшка пайхамаршкахула,</verse>
				<verse number="2">ткъа кху тӀаьхьарчу деношкахь Шен КӀантехула дийцина Цо вайна. Дерриге а кхочун долу Цуьнан КӀант ву дӀахӀоттийна. Цуьнгахула массо хӀума а кхоьллина.</verse>
				<verse number="3">КӀант Делан сийлаллин нур а, Делан билггал долу васт а ду. Шен нуьцкъалчу Дашца дерриг а латтадо Цо. Шегахула адамаш къинойх а цӀандина, стигалшкахь Веза Воккхачунна аьтту агӀор охьахиина Иза.</verse>
				<verse number="4">Цунна тиллина цӀе маликашна тиллинчул лакхара хиллал, царал лакхара ву Иза.</verse>
				<verse number="5">ХӀунда аьлча Маликех хьаьнга аьлла Дала: «Хьо Сан КӀант ву, тахана Хьан Да хили Сох»? Кхин а: «Со Цуьнан Да хир ву, Иза Сан КӀант а хир ву?»</verse>
				<verse number="6">Шен дуьххьарлера Доьзалхо дуьнен чу воккхуш, Дала элира: «Делан массо а маликаш Цунна хьалха охьатаьӀийла».</verse>
				<verse number="7">Маликех лаьцна Цо аьлла: «Дала Ӏаьнарх Шен маликаш до, цӀеран алунех Шен ялхой бо».</verse>
				<verse number="8">КӀантах лаьцна Цо аьлла: «Хьан олаллин гӀант, Дела, абаденналц лаьтта, Хьан паччахьалла нийсонан паччахьалла ду.</verse>
				<verse number="9">Хьуна бакъдерг дезна, ткъа харцо ца езна, цундела Дала, Хьан Дала, къобалвеш тӀедутту даьтта санна, Хьан накъосташна чул Хьуна алсам хазахетар делла».</verse>
				<verse number="10">Кхин а аьлла Дала: «Веза Эла, Ахь юьхьанца латта кхоьллина, Хьайн куьйгашца стигалш йина.</verse>
				<verse number="11">Уьш дӀадевр ду, ткъа Хьо вуьсур ву. Уьш дерриг а, бедарш санна, тишлур ду.</verse>
				<verse number="12">ТӀеюху хӀума санна, Ахьа дӀахьарчор ду уьш, тӀаккха уьш, бедар санна, хуьйцур ду. Амма Хьо цкъа а хийцалур вац, Хьан дахар чекх а дер дац».</verse>
				<verse number="13">Маликех хьаьнга а, маца а аьлла Дала: «Охьахаа Суна аьтту агӀор, Аса Хьан мостагӀий Хьан когашка охьабахккалц»?</verse>
				<verse number="14">Далла гӀуллакх деш долу синош дац ткъа маликаш, кӀелхьардовлар кхочун долчарна гӀуллакх дан дахкийтина дац ткъа уьш?</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Цундела ваьшна хезначунна къаьсттина чӀогӀа тидам тӀебохуьйтуш хила деза вай, тешарх хера ца довлархьама.</verse>
				<verse number="2">Нагахь маликашкахула аьлла дош чӀогӀа а хилча, муьлххачу зуламна а, лацадогӀарна а таӀзар деш а хилча,</verse>
				<verse number="3">таӀзарх муха девр ду вай, оццул сийлахьчу кӀелхьардовларх ца дашахь? И кӀелхьардовлар цкъа хьалха Везачу Эло дӀакхайкхийра, цул тӀаьхьа Иза хезнаболчара иза бакъ хилар вайна чӀагӀдира.</verse>
				<verse number="4">И дерриге а тамашийначу хиламашца а, билгалонашца а, тайп-тайпанчу ницкъашца а Дала тӀе а чӀагӀдира, Шен лаамца Шен Са дӀаса а даржош.</verse>
				<verse number="5">Маликийн дола ца даьккхина Дала вай дуьйцуш долу хиндолу дуьне.</verse>
				<verse number="6">Мелхо а, Делан Йозанашкахь цхьанхьа цхьаммо тоьшалла дина: «Стаг мила ву, Хьан цуьнан бала кхача? Адаман кӀант мила ву, Ахьа цуьнан гӀайгӀа бан?</verse>
				<verse number="7">Цхьана ханна маликашна хьалха лахви Ахьа иза. Юха, сийлаллин таж а делла, вазвина иза.</verse>
				<verse number="8">Дерриг а цуьнан когашка охьадилли Ахьа». Дерригенна а тӀехь цуьнга олалла дайтича, Дала цуьнан кара ца дерзош хӀумма а ца дитина. Ткъа цкъачунна тхуна ца го дерриг а цуьнан карахь хилар.</verse>
				<verse number="9">Амма тхуна гург Ӏийса ву. «Цхьана ханна маликашна хьалха лахвина» вара Иза, ткъа хӀинца, Ӏожалла тӀеэцарна, «сийлаллин таж а делла, вазвина ву Иза». Иза иштта лелла, Дала маьхза дина дика бахьана долуш, дерриге а адамийн дуьхьа кхалхархьама.</verse>
				<verse number="10">ХӀунда аьлча дерриг а Шен дуьхьа а, дерриг а Шегара а Долчунна товш дара, дукхахберш сийлаллина тӀебоьдучу новкъахула а буьгуш, уьш кӀелхьарбохуш волу Баьчча баланех чекхваккхар.</verse>
				<verse number="11">Нах базбеш Верг а, базбеш берш а Цхьаннах схьабевлла бу, цундела Цунна эхь ца хета царах вежарий ала.</verse>
				<verse number="12">Цо боху: «Хьан цӀе Сайн вежаршна кхайкхор ю Аса, Хьуна хастам бийр бу Аса динан гуламе баьхкинчарна хьалха».</verse>
				<verse number="13">Кхин а боху Цо: «Со Цунах дегайовхо йолуш хир ву». Кхин а: «ХӀара Со а, Дала Суна делла бераш а ду».</verse>
				<verse number="14">И бераш дилханах а, даьӀахкех а лаьтташ ма-хиллара, Иза а хилира уьш санна, Шен кхалхарца Ӏожаллина тӀехь ницкъ болу иблис эшорхьама а,</verse>
				<verse number="15">Ӏожаллех кхоьруш, дерриге а шайн дахарехь лоллехь баьхкинарш паргӀатбахархьама а.</verse>
				<verse number="16">ХӀунда аьлча, гуш ду-кх, маликашна гӀо ца до Цо, амма ИбрахӀиман тӀаьхьенна гӀо до.</verse>
				<verse number="17">Цундела дерригенна а тӀехь Шен вежарех тарвала везаш вара Иза, Далла хьалха къинхетаме а, тешаме а динан коьрта да хилархьама. Иштта а хилла, адамийн къиношна гечдайта таро яра Цуьнан.</verse>
				<verse number="18">Ша, зен а зийна, баланаш хьегна дела, зуьйш болчарна гӀо далур ду Цуьнга.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">Иштта, вежарий, шу Делан долахь дерш а, стигалахь долчун дакъа кхочурш а ду. Цундела Делан Векал а, вайн динан коьрта Да а волу Ӏийса дагахь латтавелаш.</verse>
				<verse number="2">Ша ДӀахӀоттийначунна тешаме вара Иза, Делан цӀентӀехь Муса тешаме ма-хиллара.</verse>
				<verse number="3">Ӏийса Мусан чул а боккха ларам болуш хилла, цӀа дийриг ша дечу цӀийнан чул боккха ларам бан хьакъ ма-хиллара.</verse>
				<verse number="4">ХӀунда аьлча муьлхха а цӀа цхьаммо деш ду, ткъа дерриг а динарг Дела ву.</verse>
				<verse number="5">Делан дерриге а цӀийнехь тешаме ялхо санна вара Муса. Хинйолчу заман чохь эр долчух тоьшалла дора цо.</verse>
				<verse number="6">Амма Дала леррина Къобалвинарг Делан цӀентӀехь куьйгалла деш волу тешаме КӀант ву. Ткъа Цуьнан цӀа вай ду, нагахь вай доьналлица а, тешарца а ваьш сатуьйсучунна тӀехь латтахь.</verse>
				<verse number="7">Цундела, Делан Сино ма-аллара: «Тахана, нагахь шуна Цуьнан аз хазахь,</verse>
				<verse number="8">дуьхьал ма довлалаш, яьссачу арахь шаьш зуьйчу хенахь хамталла еш ма-хиллара.</verse>
				<verse number="9">Шун дайша Со зийра цигахь, шовзткъа шарахь Аса мел динарг шайна гиннашехь.</verse>
				<verse number="10">Цундела, царна оьгӀаз а вахана, Аса элира: „Гуттар а шайн дегнашкахь тилабелла бу уьш, Сан некъаш ца девзина царна“.</verse>
				<verse number="11">Цундела Сайн оьгӀазаллица Ас чӀагӀо йира, синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац уьш аьлла».</verse>
				<verse number="12">Иштта, хьовсалаш, вежарий, шайна юкъахь цхьаннан а мекара а, тешар доцу а дог ма хилийталаш, дийна волчу Делах шаьш дӀа ца къастийтархьама.</verse>
				<verse number="13">Амма хӀора дийнахь, вовшашна хьехамаш а беш, динехь чӀагӀлолаш, «тахана» ала йиш мел хуьлу, хьарамчу хӀуманах Ӏеха а велла, шух цхьаннан дог юха ца далийта.</verse>
				<verse number="14">Дала леррина Къобалвинчун декъахой ду вай, нагахь юьхьанца хилла долу шеко йоцуш хилар чекхдовллалц вайца хилахь.</verse>
				<verse number="15">Делан Йозанашкахь аьлла ду: «Тахана, нагахь шуна Цуьнан аз хазахь, дуьхьал ма довлалаш, яьссачу арахь шаьш зуьйчу хенахь хамталла еш ма-хиллара».</verse>
				<verse number="16">Делан аз хезнехь а, хамталла йинарш муьлш бара? Мусас Мисар-махкара массо а арабаьхначарна юкъахь бацара уьш?</verse>
				<verse number="17">Хьанна оьгӀазвахана вара Дела шовзткъа шарахь? Къинош а летийна, яьссачу арахь шайн даьӀахкаш охьаехкинчарна ваханерий те Иза оьгӀаз?</verse>
				<verse number="18">Ла ца доьгӀначарна бен, кхин хьанна дуьхьал аьлла Дала, уьш «синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац»?</verse>
				<verse number="19">Иштта вайна го, шайн цатешар бахьана долуш, Дала лучу синтеме уьш кхочург цахилар.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">Дала, Ша синтем лун болчу метте кхачор ду аьлла, йина чӀагӀо хӀинца а йолуш ю, цундела ларлойла вай шух цхьаъ тӀаьхьа ца висийта.</verse>
				<verse number="2">Исраилхошна санна, вайна а бовзийтина Делан хаза кхаъ. Амма иза хезначара цу тӀе тешар ца тоьхна, цундела царна пайда ца бина хазачу кхоо.</verse>
				<verse number="3">Цу хазачу кхоах тешна долу вай кхочур ду Дала синтем лучу метте, хӀунда аьлча Цо аьлла: «Цундела Сайн оьгӀазаллица Ас чӀагӀо йира, синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац уьш аьлла». Цо иза аьлла, дуьне кхолладеллачу хенахь дуьйна Шен болх чекхбаьлла боллушехь.</verse>
				<verse number="4">Делан Йозанашкахь цхьана меттехь ворхӀалгӀачу дийнах лаьцна иштта аьлла: «Цу дийнахь, Ша мел динчу гӀуллакхех паргӀат а ваьлла, Дала садаьӀира».</verse>
				<verse number="5">Кхин а аьлла Цо хьалха хьахийначу меттехь: «Синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац уьш».</verse>
				<verse number="6">Иштта, цхьаберш Дала лучу синтеме кхочур бу, ткъа хаза кхаъ хьалха хезна болу вуьш цига кхочур бац, шаьш ла ца догӀарна.</verse>
				<verse number="7">Цундела Дала кхин цхьа де билгалдаьккхина, ткъа цунах Цо олу «тахана». Дуккха а хан яьлча, Даудехула Цо аьллера, лакхахь аьлла ма-хиллара: «Тахана, нагахь шуна Цуьнан аз хазахь, дуьхьал ма довлалаш».</verse>
				<verse number="8">Нагахь санна ЮшаӀа цу синтеме уьш кхачийнехьара, кхечу дийнах хӀумма а аьлла хир дацара.</verse>
				<verse number="9">Делан халкъана ворхӀалгӀачу дийнан синтем хӀетте а буьсу.</verse>
				<verse number="10">ХӀунда аьлча Дала лучу синтеме кхаьчнарг шен гӀуллакхех паргӀатваьлла, Дела Шен гӀуллакхех паргӀат ма-валлара.</verse>
				<verse number="11">Иштта оцу синтеме кхача хьовсур вай, цхьа а, вочу масалх пайда а эцна, ла ца догӀарна Делах ца къастийта.</verse>
				<verse number="12">Делан дош дийна а, ницкъ болуш а, шина агӀор ира долчу туьрал ира а ду. Иза вайна чукхочу, дагах ойланаш а, даьӀахкех тӀум а дӀа а къастош. Вайн лаамашна а, дагахь долчунна а кхел йо цо.</verse>
				<verse number="13">Чохь са долу хӀума цхьа а яц Делах къайлаяьлла, дерриг а ша ма-дарра схьадиллина ду Цуьнан бӀаьргашна хьалха. Цунна жоп лур ду вай.</verse>
				<verse number="14">Стигалшка хьала а ваьлла, Дела волчохь волу динан сийлахь коьрта Да, Делан КӀант Ӏийса ву вайн, цундела ваьш лелочу динехь леррина лелийла вай.</verse>
				<verse number="15">ХӀунда аьлча вайн динан коьрта Да кхетар ву вайгара йийлинчу ледарлонех: Иза лаьтта тӀехь волчу хенахь, вай санна, массо а тайпана зуьйш хилла, Цо къа ца латийнехь а.</verse>
				<verse number="16">Ӏийса вайн динан коьрта Да волу дела, вай майрра Делан паччахьан гӀантана улло даха йиш йолуш ду, Цуьнгара къинхетам а, дика а схьаэца, оьшучу хенахь ваьшна гӀо дайтархьама.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">Нахана юкъара хоржуш волу муьлхха а динан коьрта да хӀоттаво адамийн дуьхьа Далла Ӏамал ян а, къинойх тайп-тайпана сагӀанаш даха а.</verse>
				<verse number="2">Динан коьрта да хӀума ца хуучу а, галбевллачу а нахаца кӀеда хила тарло, хӀунда аьлча иза ша а ву ледарлонийн карахь.</verse>
				<verse number="3">Цундела нахана а, шена а тӀера даха деза цо сагӀанаш шаьш летийначу къинойх.</verse>
				<verse number="4">Цхьа а шен лаамца хӀуттур вац динан коьрта да. Дала тӀекхайкхина хила веза иза, АхӀарон санна.</verse>
				<verse number="5">Иштта Дала леррина Къобалвинчо а Ша тӀе ца эцна динан коьрта да хиларан бакъо. Дала аьлла Цуьнга: «Хьо Сан КӀант ву, тахана Хьан Да хили Сох».</verse>
				<verse number="6">Делан Йозанийн кхечу меттехь Дала боху: «Гуттаренна а динан да ву Хьо Малки-ЦӀадакъин даржехь».</verse>
				<verse number="7">Лаьтта тӀехь долчу Шен дахарехь Ӏийсас чӀогӀачу белхарца а, бӀаьрхишца а доӀанаш а, дехарш а дора Ша Ӏожаллех кӀелхьарваккха йиш Йолчуьнга. Далла дӀахезира Цуьнан доӀанаш, хӀунда аьлча Ӏийсан Деле болу ларам боккха бара.</verse>
				<verse number="8">Ша Делан КӀант хиллехь а, ерриге а лайначу халонашкахула Ӏемина Иза Далла муьтӀахь хила.</verse>
				<verse number="9">Кхачаме хилла, дӀахӀоттийна вара Иза, гуттаренна а кӀелхьардовларан хьоста хилира Цунах Цунна муьтӀахь болчарна массарна а.</verse>
				<verse number="10">Малки-ЦӀадакъин даржехь волу динан коьрта да ву аьлла, дӀакхайкхийра Иза Дала.</verse>
				<verse number="11">Кхунах лаьцна кхин дуккха а дара дийца, амма хала ду шуна иза тида, хӀунда аьлча шу хӀуманах иштта меллаша кхета.</verse>
				<verse number="12">ХӀинцале а хьехамчаш хила дезаш дара шу, амма шуна юха а Ӏамо безаш бу Делан дешан дуьххьарлера хьехамаш. Шуна хӀинца а шура оьшу, чӀогӀачу кхачанан метта.</verse>
				<verse number="13">ХӀинца а шура юуш верг бакъдерг а, харцдерг а къасторан хьехам бевзаш вац, хӀунда аьлча иза бер долу дела.</verse>
				<verse number="14">Делан дош довзарехь кхиъна болчу нахана лерина бу чӀогӀа кхача. Гуттара а шайн кхетамашца а, хьекъалца а лелаш, уьш Ӏемира дика а, вон а къасто.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="6">
				<verse number="1">1-2 Цундела Дала леррина Къобалвинчо хьехначух уггар аттаниг дита вай. Вайн ца деза кхин цкъа а хьехаман дух дӀахӀотто: къинах дӀакъастарх а, Делах тешарх а болу хьехам, хих чекхдовларх а, тӀе куьйгаш дахкарх а болу хьехам, веллачуьра денваларх а, гуттар а хин йолчу кхелах а болу хьехам. Тешарехь кхиинчарна лерина болчу хьехамна тӀе сихлойла вай.</verse>
				<verse number="2">***</verse>
				<verse number="3">Вай иза дийр ду, Дала вайна магийтахь.</verse>
				<verse number="4">Йиш яц цкъа хазачу кхоан серло шайна тӀе кхеттарш, стигаларчу совгӀатан чам хиънарш, Делан Синан зовкх хьоьгуш дакъалаьцнарш,</verse>
				<verse number="5">Делан Дашо луш долу дика а, хин долчу дуьненан ницкъ а бевзинарш,</verse>
				<verse number="6">тешарх дӀа а къаьстина, юха а Далла тӀеберзо. Уьш дохкобовларан некъа тӀе цхьаьнгге а бхалур бац, хӀунда аьлча цара юха а жӀарах дӀатуху Делан КӀант, массарна а хьалха Иза сийсаз а воккхуш.</verse>
				<verse number="7">Кест-кеста шена тӀедогӀуш долу догӀа дӀа а худуш, ша лелош волчунна ялта луш долу латта Дала декъалдеш ду.</verse>
				<verse number="8">Ткъа баьӀаш а, къух а бен шена тӀехь ца кхуьу латта Дала неӀалт кхайкхорна герга ду. Чаккхенехь иза цӀаро дагор ду.</verse>
				<verse number="9">Иштта оха бахахь а, сан хьоменаш, тхо тешна ду шу дикачу новкъахь хиларх — и некъ кӀелхьардовларна тӀебоьду.</verse>
				<verse number="10">ХӀунда аьлча нийса доцург дац Делехь. Цунна дицлур дац шун гӀуллакхаш а, аша Цуьнан нахана тохара а, хӀинца а гӀодарца Цуьнга гайтина болу безам а.</verse>
				<verse number="11">Тхуна лаьара, шух хӀораммо иштта шайн тӀедирзина хилар шаьш чекхдовллалц гойтийла, шун сатийсамаш кхочушхилийтархьама.</verse>
				<verse number="12">Мало еш а доцуш, шайн тешарца а, собарца а лур ду аьлларг схьаоьцучарах шу тера хила лаьара тхуна.</verse>
				<verse number="13">ИбрахӀимна Ша ваӀда дечу хенахь, Дала Шех дуй буура, Шел лакхара цхьа а воцу дела.</verse>
				<verse number="14">Цо элира: «Аса хьо декъал а вийр ву, хьуна дуккха а тӀаьхье а лур ю».</verse>
				<verse number="15">Собарца хьоьжуш а Ӏийна, Дала шена лур ду аьлларг схьаийцира ИбрахӀима.</verse>
				<verse number="16">Наха шайл а доккхачу хӀуманах дуй боу, цу дуйно, аьлларг чӀагӀ а дой, муьлхха а къовсам дӀабоккху.</verse>
				<verse number="17">Цундела Дала а дуй биъна, Шен лаам хийцалур боцийла Ша ваӀда динарг кхочун долчарна дӀахаийта лууш.</verse>
				<verse number="18">Дала ваӀда а дина, Цо дуй а биъна. И ши хӀума хийцалур доцуш ду, Дала харцдерг дийца йиш йоцу дела. Цундела Дела волчу девдда дӀадахана долу вай чӀогӀа иракарахӀиттийна ду, Дала вайна еллачу дегайовхонна тӀехь латтархьама.</verse>
				<verse number="19">И дегайовхо вайн синна онда а, тешаме а зӀе ю. Делан стигалийн цӀа чохь йолчу кирхьанна тӀехьа дӀайоьду иза.</verse>
				<verse number="20">Оцу езачу меттиге вайл хьалха Ӏийса вахана, Малки-ЦӀадакъин даржехь гуттаренна а динан коьрта да а хилла.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="7">
				<verse number="1">Малки-ЦӀадакъа Шалейм-гӀалин паччахь а, Веза Воккхачу Делан динан да а вара. Паччахьашна тӀехь толам а баьккхина, цӀа вогӀуш волчу ИбрахӀимна дуьхьал а вахана, иза декъалвира Малки-ЦӀадакъас.</verse>
				<verse number="2">Ша тӀамехь мел даьккхинчух уьтталгӀа дакъа цунна дӀаделира ИбрахӀима. Малки-ЦӀадакъин цӀе ши маьӀна долуш ю: цкъа-делахь, «нийсонан паччахь», шолгӀа-делахь «Шалейман паччахь», ткъа иза «машаран паччахь» бохург ду.</verse>
				<verse number="3">Делан Йозанаша хӀумма а ца боху цуьнан дех а, ненах а, гергарчу нахах а, цуьнан дахаран доладаларх а, чаккхенах а лаьцна. Делан КӀант санна, гуттаренна а динан коьрта да ву иза.</verse>
				<verse number="4">Шуна го, шен тоьллачу хӀонсах уьтталгӀа дакъа ИбрахӀима делларг мел сийлахь ву.</verse>
				<verse number="5">Левин тӀаьхьенах болчу динан дайн бакъо ю халкъера цуьнан пайданах уьтталгӀа дакъа схьаэца, ИбрахӀимах схьабевлла шайн вежарий уьш боллушехь.</verse>
				<verse number="6">Малки-ЦӀадакъас, ша Левин тӀаьхьенах вацахь а, ИбрахӀимера уьтталгӀа дакъа схьа а эцна, Дала чӀагӀо йина волу иза декъалвира.</verse>
				<verse number="7">Шеко яц цхьаъ декъалвеш верг ша декъалвечул а лакхара хиларан.</verse>
				<verse number="8">УьтталгӀа дакъа схьаоьцуш берш дуьнен чохь бехаш а, леш а болу нах бу, ткъа Малки-ЦӀадакъах — иза дийна ву аьлла.</verse>
				<verse number="9">Ала мегар ду, уьтталгӀа дакъа схьаоьцуш волчу Левис ша а ИбрахӀимехула и уьтталгӀа дакъа делла.</verse>
				<verse number="10">ХӀунда аьлча дуьнен чу валаза волу Леви шен ден ИбрахӀиман цӀийца вара, Малки-ЦӀадакъа цунна дуьхьалвеача.</verse>
				<verse number="11">Левин тӀаьхьенах болчу динан дайшкахула халкъо кхачамалла схьаоьцуш хилча (ткъа цуьнга хьаьжжина, товрат-хьехамаш халкъана дӀабелла), Малки-ЦӀадакъин даржехь кхин динан да стенна оьшура, АхӀаронан даржехь а ца хуьлуш?</verse>
				<verse number="12">Динан дайн тайпа хийцалуш хилча, Далла гӀуллакх муха дан деза дуьйцу хьехам а хийцабала безаш бу.</verse>
				<verse number="13">Вай Вуьйцург кхечу тайпанна юкъавогӀуш ву, царах цхьа а сагӀа доккхучу кхерчана уллохь гӀуллакх деш ца хилла.</verse>
				<verse number="14">Хууш ду, вайн Веза Эла ЯхӀудан тайпанах схьаваьлла хилар. Ткъа Мусас хӀумма а ца аьлла цу тайпанах болчу динан дайх лаьцна.</verse>
				<verse number="15">Иза кхин а чӀогӀа билгалдолу, Малки-ЦӀадакъин даржехь кхин динан да гучуваьлча.</verse>
				<verse number="16">Адамийн схьадовлар муха хила деза гойтучу парзашца хилла вац Иза динан да, хедар доцучу дахаран ницкъаца хилла ву.</verse>
				<verse number="17">ХӀунда аьлча Цунах лаьцна иштта аьлла: «Гуттаренна а динан да ву Хьо Малки-ЦӀадакъин даржехь».</verse>
				<verse number="18">Цхьана агӀор хьалха тӀедиллина хилла парз дӀадоккху, иза ледара а, пайден доцуш а хиларна,</verse>
				<verse number="19">(Мусас беллачу товрат-хьехамо цхьа а хӀума кхачамалла йолуш ма ца дерзийна), вукху агӀор хӀинца вайна лучу дикачу сатийсамо вай Далла гергахьа кхачадо.</verse>
				<verse number="20">Дала чӀагӀо ярца хилла ду и гӀуллакх. Вуьш, цхьа а чӀагӀо ца еш, динан дай хиллехь а,</verse>
				<verse number="21">Ӏийса чӀагӀо ярца хилла, Цунах лаьцна иштта олуш хилча: «Везачу Эло чӀагӀо йина, ткъа цунна тӀера юха ца волу Иза: „Гуттаренна а динан да ву Хьо“».</verse>
				<verse number="22">Цунах гуш ду Ӏийса тоьллачу бертан закъалт хилар.</verse>
				<verse number="23">Динан дай дуккха а хилла, хӀунда аьлча Ӏожалло кхидӀа шайн гӀуллакх ца дойтура цаьрга.</verse>
				<verse number="24">Ткъа Ӏийса гуттар а хиларна, динан дас санна Цо Далла гӀуллакх дар а хедар доцуш ду.</verse>
				<verse number="25">Цундела Шегахула Далла тӀевогӀург Цуьнга кхоччуш кӀелхьарваккхало, хӀунда аьлча Иза гуттар а дийна ву, Цо доӀанаш дийр ду Ша кӀелхьарбохучарах.</verse>
				<verse number="26">Иштта динан коьрта да вайна оьшуш а ву: веза а, бехк боцу а, цӀена а, къинош летийначарах дӀакъастийна волу а, стигалал лакха хьалаваьккхина волу а.</verse>
				<verse number="27">Динан вукху коьртачу дайн санна, хӀора дийнахь цкъа хьалха Шена тӀера, юха нахана тӀера сагӀанаш даха ца деза Цуьнан, хӀунда аьлча Цо гуттаренна а цкъа даьккхина сагӀа, Ша дӀа а велла.</verse>
				<verse number="28">Товрат-хьехамца динан коьрта дай кху дуьненан нах хӀиттабора, адамийн ледарлонаш церан елахь а. Ткъа товрат-хьехамал тӀаьхьа еанчу дуйнан чӀагӀоно динан коьрта да хӀоттийра гуттаренна а кхачаме вина волу Делан КӀант.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="8">
				<verse number="1">Вай дуьйцуш долчунна юкъахь коьртаниг хӀара ду: стигалшкахь Веза Воккхачун гӀантана аьтту агӀор Ӏаш динан коьрта Да ву вайн.</verse>
				<verse number="2">Адамо дина а доцуш, Везачу Эло динчу Делан бакъдолчу четар чохь динан коьрта Да ву Иза.</verse>
				<verse number="3">Динан муьлхха а коьрта да тайп-тайпана сагӀанаш даха дезаш ву, цундела вайн динан коьртачу Ден а хила деза сагӀина схьадан хӀума.</verse>
				<verse number="4">ХӀинца Иза лаьтта тӀехь вехаш хилча, Иза динан да хир вацара, хӀунда аьлча кхузахь болуш бу, товрат-хьехамо ма-бохху, сагӀанаш дохуш болу динан дай.</verse>
				<verse number="5">Цара Далла деш долу гӀуллакх кхузарчу четар чохь бен ца хуьлу. И четар стигалахь долчун кепах тера бен дац, цуьнан ӀиндагӀ бен дац. Ткъа Мусага аьлла дара, иза Делан четар дан волавелча: «Ларлолахь, хьайна лам тӀехь гайтинчун кепах тера делахь дерриг а».</verse>
				<verse number="6">Кхечу динан дайшка деллачул а Ӏийсага делла динан гӀуллакх лакхара хиларе терра, Цуьнан юкъарлонца Делаца бина керла барт а ширачу бартал гӀолехь бу, иза тоьллачу чӀагӀонашна тӀехӀоттийна болу дела.</verse>
				<verse number="7">Нагахь санна хьалха бина барт кхачамбацар доцуш хиллехьара, шолгӀаниг оьшур а бацара.</verse>
				<verse number="8">Амма, нахана бехк а буьллуш, пайхамаро боху: «ТӀекхочуш ду денош, — боху Везачу Эло, — Аса Исраилан цӀийнаца а, ЯхӀудан цӀийнаца а керла барт бен долу.</verse>
				<verse number="9">Церан дай, куьг а лаьцна, Мисар-махкара арабохучу хенахь, Аса цаьрца бина барт санна хир бац иза. ХӀунда аьлча цара и Сан барт лар ца бира, цундела со дӀавирзина царна тӀера, — боху Везачу Эло.</verse>
				<verse number="10">Иштта барт бийр бу Аса Исраилан халкъаца, хӀара денош дӀадевлча, — боху Везачу Эло. — Айса тӀедуьллург церан кортош чу дуьллур ду, церан дегнаш тӀехь яздийр ду Аса. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду.</verse>
				<verse number="11">ХӀораммо а шен уллорачунна а, шен вешина а хьоьхур дац: „Веза Эла вовза“, — бохуш. ХӀунда аьлча массарна а, хьалдолчунна тӀера къечунна тӀекхаччалц, Со вевзар ву.</verse>
				<verse number="12">Цаьргара даьллачу вочунна Со къинхетаме хир ву, церан къинош кхин дагадоуьйтур дац Аса».</verse>
				<verse number="13">Цу бартах «керланиг» а аьлла, хьалха хилларг шира хилар гайтина Цо, ткъа ширделларг кестта дӀадолу.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="9">
				<verse number="1">Хьалха бинчу бертан Далла Ӏамалъяран бакъонаш а, лаьтта тӀехь долу Делан цӀа а дара.</verse>
				<verse number="2">Дина, дӀахӀоттийнера деза четар. Цуьнан хьалхарчу, «еза чоь» олучу декъехь стогар а, даздина баьпкаш тӀехь долу стол а яра.</verse>
				<verse number="3">ШолгӀачу декъехь кирхьанна тӀехьа «уггар еза чоь» цӀе йолу чоь яра.</verse>
				<verse number="4">Хаза хьожа йогӀу хӀума яго дашо кхерч а, гонах деши лаьцна бартбаран тӀорказ а дара цу чохь. ТӀорказна чохь кхачанийн буьртигаш чохь долу дашо пхьегӀа а, маргӀалш хецна хилла йолу АхӀаронан Ӏаса а, бартбаран экъанаш а яра.</verse>
				<verse number="5">ТӀорказна тӀехула тӀемаш а даржийна, къинош дӀадохучу меттехь сийлаллин каруб-маликаш дара лаьтташ. ХӀинца и дерриг а ма-дарра дуьйцийла яц вайн.</verse>
				<verse number="6">Цу кепара динчу четаран хьалхарчу цӀа чу Далла Ӏамал ян динан дай боьлху гуттар а.</verse>
				<verse number="7">ШолгӀачу цӀа чу шарахь цкъа динан коьрта да воьду. Цо шеца цӀий дахьа деза чувоьдуш, шена а, халкъо ца хууш летийначу къиношна а тӀера даьккхина долу.</verse>
				<verse number="8">Цу хӀуманца Делан Сино гойту Делан четар чу боьду некъ схьабиллина цахилар, хьалхара четар лаьтташ мел ду.</verse>
				<verse number="9">И четар хӀинцалерчу заманан билгало ю: совгӀаташа а, сагӀанаша а Далла Ӏибадат дечун дог цӀандан ца тарло,</verse>
				<verse number="10">уьш даарш а, маларш а кхехьарца а, дегӀан меженаш тайп-тайпана йиларца а доьзна бен цахиларна. И дерриг а парзаш, Дала массо а хӀума нисдаран зама тӀеяллалц, тӀедиллина дара.</verse>
				<verse number="11">Дала леррина Къобалвинарг веара, хӀинца хуьлучу диканийн динан коьрта да а волуш. Адамаша дина а доцуш, тоьллачу а, сов кхачаме а долчу четарх чекхвелира Иза (и четар кху дуьненара дац).</verse>
				<verse number="12">Гезарийн а, эсийн а цӀий доцуш, Шен цӀий а Ӏанийна, цкъа Делан цӀийнан уггар езачу чоьнна чу а вахана, гуттаренна а вайна паргӀатдовлар даьккхина Цо.</verse>
				<verse number="13">Нагахь эсийн а, гезарийн а цӀийно а, дагийначу шинарин чимо а, шайна уьш тӀетоьхча, товрат-хьехамаша ма-бохху, бехбинарш цӀанбеш хилча,</verse>
				<verse number="14">цхьа а къа латийна воцучу, гуттар а долуш долчу Синехула Ша Далла цхьа а томмагӀа доцучу сагӀина дӀавеллачу Дала леррина Къобалвинчун цӀийно мел чӀогӀа цӀандийр ду вай Ӏожалла тӀейоуьйтучу гӀуллакхех, дийна волчу Далла лерина вайга Ӏамал яйтархьама.</verse>
				<verse number="15">Цундела Дала леррина Къобалвинарг Дала нахаца бинчу керлачу бертан Юкъарлонча ву, хьалхара барт бинчу хенахь наха летийна къинош дӀадаха Цо тӀеэцна Ӏожалла бахьана долуш, Дала лур ду аьлла дакъа нахе кхачийтархьама.</verse>
				<verse number="16">Нагахь весет делахь, иза диначун кхалхар а дӀагайта дезаш ду,</verse>
				<verse number="17">хӀунда аьлча весет стаг веллачул тӀаьхьа бен лелош дац. Иза бакъо йолуш дац, нагахь весет динарг дийна велахь.</verse>
				<verse number="18">Цундела хьалха бина барт а цӀийца чӀагӀбина бара.</verse>
				<verse number="19">Товрат-хьехам тӀера парзаш дерриг а халкъана хьалха дӀа а дешна, хица эдина долу эсийн а, гезарийн а цӀий а, цӀен тӀаргӀа а, ярийн курс а, схьа а эцна, товрат-хьехаман тептарна а, халкъана а тӀе цинцаш туьйхира Мусас.</verse>
				<verse number="20">Цо элира: «Дала кхочушбе аьллачу бертан цӀий ду хӀара».</verse>
				<verse number="21">Иштта Делан четарна а, Далла Ӏамал ечу хенахь мел лелочу пхьегӀашна а тӀе цӀийн цинцаш туьйхира цо.</verse>
				<verse number="22">Товрат-хьехаме хьаьжжина, дерриг а ала мегар долуш хӀума цӀийца цӀандеш ду, цӀий ца Ӏанийча, гечдар ца хуьлу.</verse>
				<verse number="23">Стигалахь долчух тардина кхоьллинарг иштта цӀандан деза. Ткъа стигалахь дерг ша а хӀокхарал а тоьллачу сагӀанашца цӀандан деза.</verse>
				<verse number="24">ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинарг билггала долчу уггар а Дезачух тардеш адамийн куьйгаша динчу Делан цӀа чу ца вахана, ткъа стигала хьалаваьлла, хӀинца вайн дуьхьа Далла хьалха хӀотта.</verse>
				<verse number="25">Дукхазза а Ша сагӀина дӀавала ца ваьлла Иза стигала хьала, хӀора шарахь а шен доцу цӀий а оьций, Делан цӀийнан уггар езачу чоьнна чу воьду динан коьрта да санна.</verse>
				<verse number="26">Иза иштта хилча, дуьне кхоьлличхьана а дуьйна дукхазза а бала хьега дезар дара Дала леррина Къобалвинчун. Ткъа Иза тӀаьхьарчу заманахь цкъа веана Шех даьккхинчу сагӀанца адамийн къа дӀадаккха.</verse>
				<verse number="27">ХӀора адамна, цкъа вала а велла, юха кхелана хьалха хӀоттар тӀехь ма-хиллара,</verse>
				<verse number="28">иштта Дала леррина Къобалвинчо а Ша цкъа сагӀина дӀавелла хилла, дуккха а адамийн къинош Шена тӀеэцархьама. Ткъа Иза шолгӀа, къинош дӀадаха а ца вогӀуш, Шега сатуьйсуш болчеран дуьхьа кӀелхьардахар тӀеэцархьама вогӀур ву.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="10">
				<verse number="1">Товратан хьехамаш хин долчу диканийн ӀиндагӀ ду, церан билггал долу васт а доцуш. Цундела хӀора шарахь гуттар а дохучу сагӀанашкахула цу товрат-хьехамийн Далла гергабогӀу нах кхоччуш хилийта ницкъ ца кхочу.</verse>
				<verse number="2">Кхечу тайпана хилча, цара и сагӀанаш дохур дацара, хӀунда аьлча цкъа къинах цӀан а белла, кхин шайн къинош туосалур дацара царна.</verse>
				<verse number="3">Амма сагӀанаш дахарца хӀора шарахь а къинош дагадохкуьйту.</verse>
				<verse number="4">ХӀунда аьлча стерчийн а, бежалойн а цӀийно къинош дӀадохур дац.</verse>
				<verse number="5">Цундела дуьнен чу вогӀучу хенахь Дала леррина Къобалвинчо элира: «СагӀанаш а, совгӀаташ а ца дийзи Хьуна, амма Суна дегӀ кечди Ахьа.</verse>
				<verse number="6">Дийнаташ дагоран а, къинойх долу а сагӀанаш ца тайна Хьуна.</verse>
				<verse number="7">ТӀаккха Ас элира: „Хьажахьа, со кийча ву, товрат-хьехамийн тептар тӀехь суна лерина яздина ду. Хьан лаам кхочушбан вогӀу Со, Дела“».</verse>
				<verse number="8">Цкъа хьалха Цо боху: «Я сагӀанаш а, совгӀаташ а, я дийнаташ дагоран а, къинойх долу а сагӀанаш а Хьуна деза а ца дийзи, тан а ца тай» (товрат-хьехамаша иза тӀедуьллуш делахь а).</verse>
				<verse number="9">Цул тӀаьхьа Цо тӀетуху: «Хьан лаам кхочушбан вогӀу Со». Хьалхарниг дӀадоккху Цо шолгӀаниг чӀагӀдархьама.</verse>
				<verse number="10">Оцу лаамца даздина ду вай, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дегӀ цкъа гуттаренна а сагӀина даларна.</verse>
				<verse number="11">Муьлхха а динан да хӀора дийнахь Далла Ӏамал еш ву, цкъа а къинош дӀадахалур доцу цхьатерра сагӀанаш мосуьйттазза а дохуш.</verse>
				<verse number="12">Ткъа Иза, гуттаренна а къинойх цхьа сагӀа а даьккхина, Далла аьтту агӀор охьахиъна,</verse>
				<verse number="13">Шен когашка Шен мостагӀий Дала охьабахккалц, хьоьжуш.</verse>
				<verse number="14">Цкъа даьккхинчу сагӀанца Цо гуттаренна а кхачаме бина базбеш берш.</verse>
				<verse number="15">Цунах лаьцна Делан Сино а тоьшалла до вайна кху дешнашца:</verse>
				<verse number="16">«Иштта барт бийр бу Аса цаьрца, хӀара денош дӀадевлча, — боху Везачу Эло. — Айса тӀедуьллург церан дегнаш чу дуьллур ду, церан кортош тӀехь яздийр ду Аса».</verse>
				<verse number="17">ТӀаккха Цо тӀетуху: «Церан къинош а, харцонаш а кхин дага а йохкуьйтур яц Аса».</verse>
				<verse number="18">Ткъа къиношна гечдина хилча, царах сагӀанаш даха кхин ца оьшу.</verse>
				<verse number="19">Иштта, вежарий, Ӏийсан цӀий бахьана долуш Делан стигалахь йолчу цӀийнан уггар езачу чоьнна доьналла долуш чудаха аьтто бу вайн.</verse>
				<verse number="20">Ӏийсас, Шен дегӀ сагӀина дӀадаларца, керла некъ схьабиллина вайна цига. Дийна волу Ӏийса Ша бу и некъ, ткъа и некъ Делан цӀийнан уггар езачу чоьнна дуьхьал оьллина долчу кирхьанах чекхболуш бу.</verse>
				<verse number="21">Иштта, сийлахь динан коьрта да стигалахь долчу Делан цӀенна тӀехь хӀоттийна ву вайн.</verse>
				<verse number="22">ЦӀеначу дагаца, чӀогӀачу тешарца Далла гергахьа кхочийла вай, цинцаш тохарца вайн дегнаш бехк тӀелацарх цӀан а дина, вайн догӀмаш цӀеначу хица а дилина.</verse>
				<verse number="23">Ваьш сатуьйсург чӀогӀа лардан деза вай, хӀунда аьлча ваӀда Динарг тешаме ву.</verse>
				<verse number="24">Вовшийн терго йойла вай, безамна а, дикачу гӀуллакхашна а ваьш иракара а хӀиттош.</verse>
				<verse number="25">Вешан гуламаш дӀатосуш ма хуьлийла вай, цхьаболчара иза ма-дарра. Цул а вовшашна гӀо дойла вай, Везачу Элан де гергакхочуш хилар шайна мел ги, алсам а деш.</verse>
				<verse number="26">Вай, бакъдолчух дерг а хиъна, къинош ма-луъу летош хилча, къинах даккха сагӀа кхин ма ца дуьсу вайн.</verse>
				<verse number="27">Дуьсург цхьаъ ду: хинйолу кхел а, Делан мостагӀий дӀакхоллу йолу цӀе а тӀеяре кхерамца хьежар.</verse>
				<verse number="28">Муса-пайхамаран товрат-хьехамаш талхийнарг къинхетам боцуш вуьш ву, нагахь шиъ я кхоъ теш велахь.</verse>
				<verse number="29">Ойла ел, мел чӀогӀа таӀзар дийр ду Делан КӀант емалвинчунна, Делаца бина барт чӀагӀбина а, ша вазвина а долчу цӀийн дозалла ца лериначунна, маьхза дика луш долу Делан Са сийсаздинчунна?</verse>
				<verse number="30">Вайна хаьа, хӀара дешнаш Хьан аьлла: «Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дӀалур ду». Кхин а: «Везачу Эло Шен халкъана кхел йийр ю».</verse>
				<verse number="31">Мел кхераме ду дийначу Делан буйна вахар!</verse>
				<verse number="32">Дагадахкийта шайн хьалхалера денош, Дала шуна серло еллачул тӀаьхьа, шу, чӀогӀа баланаш а лайна, чекхдевлира.</verse>
				<verse number="33">ЦкъаццӀа шу а сийсаздарца я ницкъ барца нахана хьалха дӀахӀиттош хилла. ЦкъаццӀа шаьш санна ницкъ ловш цхьаьна бала хьоьгуш хилла шу.</verse>
				<verse number="34">Чубоьхкинчу нахах къахеташ а хилла шу, шайн долахь дерг дӀадаьккхича, хазахеташ а лелла шу, хӀунда аьлча шуна хаьара стигалахь дикаха а, цкъа а дӀаер йоцу а хазна шайн юйла.</verse>
				<verse number="35">Иштта шайн доьналлех ма доха, хӀунда аьлча цунах шуна доккха совгӀат лур ду.</verse>
				<verse number="36">Шуна собар оьшу, Делан лаам кхочуш а бина, шайна лур ду аьлларг схьаэца.</verse>
				<verse number="37">ХӀунда аьлча: «Йиснарг кӀезиг хан бен ма яц, тӀаккха и ван везаш верг вогӀур ма ву — иза хьелур вац.</verse>
				<verse number="38">Амма Аса бакъвинарг Сох тешарца вехар ву, ткъа иза юхавалахь, Со цунна реза хир вац».</verse>
				<verse number="39">Юха а девлла, хӀаллакьхуьлучарах дац вай, тешарца кӀелхьардохучарах ду.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="11">
				<verse number="1">Тешар сатуьйсуш долчунна тӀехь латтар а, ца гуш долчух шеко йоцуш хилар а ду.</verse>
				<verse number="2">Церан тешар хиларна, Дала хастийна хьалхалерчу заманахь баьхнарш.</verse>
				<verse number="3">Тешар хиларна, вай кхета дуьне Делан дашца кхоьллина хиларх, иштта гуш дерг цагучух схьадаьлла хиларх.</verse>
				<verse number="4">Тешар хиларна, Хьабула Кхаима чул тоьлла сагӀа даьккхира Далла. Цуьнан тешар бахьана долуш Дала, Хьабула деана совгӀаташ схьа а эцна, иза Шен лаамехь хиларан тоьшалла дира. Хьабул кхелхинехь а, шен тешар хиларна, къамел деш ву иза хӀинца а.</verse>
				<verse number="5">Тешар хиларна, валар хӀун ду ца хууш, стигала хьалаваьккхина ХӀанох: «...иза ца карийра, Дала иза дӀаэцна дела». ХӀанох дӀаэцале, Дела цунна реза ву аьлла, тоьшалла до Делан Йозанаша.</verse>
				<verse number="6">Тешар ца хилча, Дела реза войла дац. Далла тӀевогӀуш верг теша веза Иза хиларх а, Цо Ша леррина лоьхучунна совгӀат луш хиларх а.</verse>
				<verse number="7">Тешар хиларна, цу хенахь хӀинца а ган йиш йоцуш долу хӀума Дала шега хаийтича, Нохьас, Деле болчу ларамах вуьзна, хинкема дира, шен доьзал кӀелхьарбаккхархьама. И тешар хиларна, цо дуьненна кхел йира, ткъа ша Делан лаамехь верг хилира: тешарехула Шена хьалха бакъвина хиларан тӀаьхьало елла цунна Дала.</verse>
				<verse number="8">Тешар хиларна, Дала шена тӀедиллинарг кхочушдеш, шен дола доккхур ду аьллачу лаьтта тӀе вахара ИбрахӀим. Ша стенга воьду а ца хууш, дӀавахара иза.</verse>
				<verse number="9">Шен тешар хиларна, шена лур ду аьллачу лаьтта тӀехь Ӏийна иза, тӀевеана стаг хийрачу махкахь санна. Четарш чохь Ӏийна иза, цуьнца цхьатерра ваӀданех тешна волу Исхьакх а, Якъуб а ма-Ӏарра.</verse>
				<verse number="10">Дела суртдиллархо а, гӀишлоярхо а волуш, ондачу бух тӀехь гӀала схьаяре хьоьжуш Ӏара ИбрахӀим.</verse>
				<verse number="11">Тешар хиларна, шен зуда Сарат доьзалхо хуьлуш яцахь а, ша ханна воккха воллушехь, да хиларан хьуьнар тӀеийцира ИбрахӀима, хӀунда аьлча цунна хаьара, Дала Ша аьлларг кхочушдойла.</verse>
				<verse number="12">Цундела цхьа ког коша а бахана волчу стагах схьабевлла, стигалара седарчий а, хӀордан берда тӀера гӀум а санна, дукха нах.</verse>
				<verse number="13">Уьш берриге а, тешар а долуш, белла, лур ду аьлларш схьа а эцаза. Амма царна и хӀуманаш геннахь гина, уьш царах баккхийбеш хилла. Цара шайх лаьцна аьлла, шаьш девлла леларш а, тӀедаьхкина нах а ду лаьтта тӀехь.</verse>
				<verse number="14">Иштта шайх лаьцна бохучара шаьш чубогӀу болу мохк шаьш лоьхуш хилар гойту.</verse>
				<verse number="15">Нагахь церан дагахь шаьш дӀатесна даймохк хиллехьара, церан хан яра цига юхадерза.</verse>
				<verse number="16">Амма уьш тоьллачу даймахке сатесна бу — стигаларчу даймахке. Цундела, наха Ша церан Дела ву аьлча, Далла эхь ца хета: Цо царна гӀала кечйина.</verse>
				<verse number="17">Тешар хиларна, ИбрахӀима, ша зийча, сагӀа даккха Исхьакх валийна. Шена лур ду аьлларш тӀеэцнехь а, шен цхьаъ бен воцу кӀант сагӀина дӀавала резахилла иза.</verse>
				<verse number="18">Цу кӀантах лаьцна аьлла хилла: «Исхьакхах хир ю хьан тӀаьхье».</verse>
				<verse number="19">ИбрахӀимна дагахь дара, Делан ницкъ бу велларг а денван аьлла — ткъа цо шен кӀант веллачуьра санна схьаийцира.</verse>
				<verse number="20">Тешар хиларна, Исхьакха декъалвира Якъуб а, Ӏесав а, церан хиндолчуьнга хьаьжжина.</verse>
				<verse number="21">Тешар хиларна, ша леш, Якъуба декъалбира Юсупан кӀентий, шен Ӏасанна тӀе а вазлуш, Далла Ӏамал йора цо.</verse>
				<verse number="22">Тешар хиларна, Юсупа, ша лечу хенахь, исраилхой Мисарара арабевр бу аьлла а дийцира, шен даьӀахкех весет а дира.</verse>
				<verse number="23">Тешар хиларна, Муса вича, цуьнан дас-нанас кхаа баттахь лечкъош лелийра иза, хӀунда аьлча царна гора бер хаза хилар. Паччахьан омранах кхера ца белира уьш.</verse>
				<verse number="24">Тешар хиларна, ша воккха хилча, пирӀунан йоӀан кӀант ву ала дуьхьал хилира Муса.</verse>
				<verse number="25">Делан халкъаца халонаш лан резахилира иза, йоццачу ханна долу къилахь самукъадалар лелочул.</verse>
				<verse number="26">Дала леррина Къобалвинчун сийсазвар шена доккхаха хьал лерира Мусас Мисар-мехкан хазнел а. Иза шена лун долчу совгӀате хьоьжура.</verse>
				<verse number="27">Тешар хиларна, Мисар-мохк дӀатесна цо, паччахьан оьгӀазаллех а ца кхоьруш, хӀунда аьлча, ца гуш Волчуьнга хьоьжуш санна, доьналла долуш вара иза.</verse>
				<verse number="28">Тешар хиларна, нахе Пасахьан деза де кхочушдайтира цо, цӀийн цинцаш неӀаран гурашна тӀе а деттийтира цо, исраилхойн дуьххьара хилла бераш мулкалмоте хӀаллак ца дайта.</verse>
				<verse number="29">Тешар хиларна, лаьтта тӀехула санна, ЦӀечу хӀорда чухула дехьабевлира уьш. Изза дан гӀоьртина мисархой хи буха бахара.</verse>
				<verse number="30">Тешар хиларна, Ерихон-гӀалин пенаш охьаийгира, исраилхоша царна ворхӀ дийнахь гонаш даьхча.</verse>
				<verse number="31">Тешар хиларна, Далла муьтӀахь боцучу кхечу нахаца хӀаллак ца хилира гӀалане хьовса къайлаха баьхкина исраилхой тӀелаьцна йолу, нахаца лела Рахьаб.</verse>
				<verse number="32">Кхин хӀун эр дара ас? Хан тоьар яц суна ГадӀанах а, Баракхах а, Шамшонах а, Яптахьах а, Даудах а, Шамъалах а, пайхамарех а лаьцна дийца.</verse>
				<verse number="33">Тешар хиларна, пачхьалкхашна тӀехь толамаш а бохуш, нийсо а лелайойтуш, Дала лур ду аьлла хӀуманаш схьа а оьцуш, лоьмийн баганаш дӀа а къовлуш,</verse>
				<verse number="34">буьрса цӀе а йойуш, ирачу туьрах кӀелхьар а довлуш, гӀелделча, дегӀе ницкъ а богӀуш, тӀамехь онда а хуьлуш, мостагӀийн эскарш а лохкуш, хилла уьш.</verse>
				<verse number="35">Тешар хиларна, зударша шайн делла бераш, ден а луш, схьаоьцуш хилла. Цхьаберш, ницкъ а беш, бойуш хилла, амма цара паргӀато схьаоьцуш ца хилла, тоьллачу дахарехь шайн дендалар хилийтархьама.</verse>
				<verse number="36">Кхечара сийсаздар а, еттар а, буржалш а, набахти а лайна шайна тӀехь.</verse>
				<verse number="37">Царна тӀулгаш а кхуьссура, уьш херхашца хеда а бора, таррашца байа а бойура. Чудаха цӀа а доцуш, уьстагӀийн а, гезарийн а кхекхий а хьерчийна, лелла уьш, халонаш а, баланаш а, наха шайна беш болу ницкъ а ловш.</verse>
				<verse number="38">Дерриг а дуьненал лакхара болу уьш яьссачу аренашкахула, лаьмнашкахула, хьехашкахула, Ӏаннашкахула бевлла лелара.</verse>
				<verse number="39">Тешар хиларна, Делера баркалла хилла царна, амма лур ду аьлларг схьа ца эцна цара.</verse>
				<verse number="40">Дала вайна цхьа тоьлла хӀума билгалдаьккхинера, уьш вайца цхьаьна бен кхачаме ца хилийтархьама.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="12">
				<verse number="1">Цундела, гонах тешийн бӀо хиларна, ваьшна тӀера массо а новкъарло а, ваьшна гонах хьаьрчаш долу къа а дӀадоккхийла вай. Доьналла а долуш, ваьшна хьалха хуьлучу къийсаман новкъахула дӀадовдийла вай,</verse>
				<verse number="2">тешар кхоьллина а, кхочушдина а волчу Ӏийсана тӀе а хьоьжуш. Цо Шена хин долчу хазахетаран дуьхьа жӀара тӀехь валар лайра, эхь тӀе дар тергал а ца деш, нехан кхардам тидаме а ца оьцуш. Ткъа хӀинца Иза Делан паччахьан гӀантана аьтту агӀор, баьрччехь, хиъна Ӏаш ву.</verse>
				<verse number="3">Къинош летийначу нахера сел чӀогӀа къизалла Лайначун ойла ел аш, шаьш доьналла доцуш ца диса а, дог эшна ца хилийта а.</verse>
				<verse number="4">Къинна дуьхьал а девлла, цӀий Ӏаннол чӀогӀа латар ца хилла шун хӀинца а.</verse>
				<verse number="5">Делан кӀентий долчу шуьга, шу иракарахӀиттош, аьлла дешнаш диц-м ца делла шуна? «Сан кӀант, Везачу Эло хьо нисварх ца вешаш ма хила, Цо хьайна дечу таӀзарна гӀайгӀане а ма вожа.</verse>
				<verse number="6">ХӀунда аьлча Шена везаш верг, таӀзар а деш, нисво Везачу Эло. Ша тӀеоьцуш волчу кӀантана етта а етта Цо».</verse>
				<verse number="7">Шаьш нисдеш долу таӀзар ла, хӀунда аьлча оцу таӀзар даро гойту, Далла шу кӀентий санна хетар. ХӀунда аьлча дас нисдеш долу таӀзар даза кӀант хир а вуй?</verse>
				<verse number="8">Ткъа массо а кӀантана деш долу таӀзар шуна деш дацахь, шу кӀентий дац, шу къотӀалгӀадина бераш ду.</verse>
				<verse number="9">Нагахь вайна таӀзар деш болу дуьнен чуьра дай вай лоруш хилча, синойн Дена кхин а чӀогӀа муьтӀахь хила ца деза вай, дахар хилийтархьама?</verse>
				<verse number="10">Вукхара шайна дика хетачу агӀор кӀезигчу ханна таӀзар дора вайна, ткъа Кхо — вайна пайда хилийта, вайга Шен возаллехь дакъа лацийта до.</verse>
				<verse number="11">Карарчу хенахь муьлххачу а таӀзаро самукъадалар ца дахьа, сингаттам бен. Делахь а тӀаьхьа цуьнгахула нисбеллачара машаре а, Делан лаамехь а долчу дахаран стом буур бу.</verse>
				<verse number="12">Цундела хьалаайа шайн охьадахана куьйгаш, чӀагӀъе шайн малъелла голаш.</verse>
				<verse number="13">Нийсачу новкъахула лела, астагӀа лелхарш гал ца бовлийта, мелхо а тобалийта.</verse>
				<verse number="14">Массо а адамца машаре хила, ткъа Далла гергахь цӀена хила хьовса. ЦӀеналла ца хилча, цхьанна а Веза Эла гур вац.</verse>
				<verse number="15">Къаьсттина тидаме хила шайна юкъара цхьаъ Делан диканах дӀа ца къастийта, «къаьхьачу орамех дӀаьвше маргӀал хьала а даьлла, цуьнга дуккха а нахана зен ца дайта».</verse>
				<verse number="16">Шуна юкъахь, боьха хӀуманаш лелош а, Ӏесаваьлла а стаг ца хилийта, Ӏесав санна, цкъа юучу хӀуманах хьалха дуьнен чу ваьллачун бакъо дӀалуш.</verse>
				<verse number="17">Шуна хаьа, цул тӀаьхьа Ӏесавана лиира дас ша декъалван, амма иза дӀатесна хилира. Цуьнга хӀумма а ца хийцаделира, воьлхуш, цо дехарш дича а.</verse>
				<verse number="18">Шу герга ца даьхкина куьг Ӏоттал уллохь болчу а, цӀе летта богучу а ламанна а, Ӏаьржачу боданна а, чӀогӀачу махана а,</verse>
				<verse number="19">локхучу маӀан озана а, деш долчу къамелана а. И къамел хезачара дехарш дора, кхин шайга дош ма алахьара бохуш.</verse>
				<verse number="20">ХӀунда аьлча цаьрга лан ца лора шайна тӀедожош дерг: «Нагахь хьайба а ломах дӀахьакхалахь, цунна тӀулгаш кхисса деза, иза хӀаллакьхиллалц».</verse>
				<verse number="21">Царна гуш дерг сел буьрса хиларна, Мусас ша а элира: «Со кхоьруш а, вегош а ву».</verse>
				<verse number="22">Амма шу тӀедахана Цийон-ламанна, дийначу Делан гӀала йолчу стигаларчу Ярушалаймана, эзарнаш маликийн</verse>
				<verse number="23">самукъанечу гуламна, стигалшкахь цӀераш дӀаязйинчу Делан дуьххьарчеран леррина болчу гуламна, массеран Кхелахо волчу Далла, кхачамалле кхаьчначу Делан лаамехь болчеран синошна,</verse>
				<verse number="24">керлачу бертан Юкъарлонча волчу Ӏийсана, Хьабулан цӀийнал а дика кхаъ буьйцуш долчу, тӀехьорсучу цӀийн цинцашна.</verse>
				<verse number="25">Хьовсалаш, къамел Дечуьнгахьара дӀа ма дерзалаш. Нагахь, Лаьтта тӀехь къамел дечуьнга ла а доьгӀна, уьш а кӀелхьара ца бевллехь, вай муххале а кӀелхьардевр дац, стигалара къамел Дечуьнгахьара дӀадерзахь.</verse>
				<verse number="26">Цу хенахь Цуьнан озо Латта дегийра, ткъа хӀинца Цо боху: «Ас кхин цкъа а, Латта дегийна ца Ӏаш, стигал а егор ю».</verse>
				<verse number="27">«Кхин цкъа а» бохучу дешнаша гойту дегалуш дерг (и ду кхоьллинарг) дӀадаккхар, ца дегалуш дерг дисийтархьама.</verse>
				<verse number="28">Цундела вай, егалур йоцу пачхьалкх тӀеоьцу ерш, Далла баркалла олуш хила деза. Баркалла а долуш, Цунна товш йолчу кепара Далла Ӏамал ян еза вай, ларамах дуьзна а, кхоьруш а долуш,</verse>
				<verse number="29">хӀунда аьлча «вайн Дела массо а хӀума дӀахьулъеш йолу цӀе ю».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="13">
				<verse number="1">Шайн динан вежаршка болу безам даим латтабе.</verse>
				<verse number="2">Хьаша тӀеэцар а диц ма де, цхьаболчара шаьш долчохь маликаш тӀе ма оьцура, уьш муьлш бу а ца хууш.</verse>
				<verse number="3">Дагахь латтабе набахти чохь берш, шаьш цаьрца цхьаьна долуш санна. Дагахь латтабе Ӏазапехь бохкурш, шайн догӀмашкахь шаьш баланаш хьоьгуш санна.</verse>
				<verse number="4">Массара а майрачун-зудчун юкъаметтиг ларъе, шаьш дӀадуьйшу мотт сийсаз ма баккха. Дала кхел йийр ю сийсазалла лелочарна а, нахаца лелачарна а.</verse>
				<verse number="5">Ахчанна тӀаьхьадовлий ма лела, шайн долчух тоам бе. Дала Ша ма-аьлла: «Ас цкъа а вуьтур вац хьо, хьох къаьстар а вац Со».</verse>
				<verse number="6">Цундела вай майрра боху: «Веза Эла ву сан гӀоьнча, со хӀуманах а кхоьрур вац. ХӀун дийр дара суна стага?»</verse>
				<verse number="7">Делан дош шайна довзийтина болу шайн куьйгалхой дагахь латтабе. Церан дахаро кхиадиначуьнга хьовса, церан санна тешар хилийта.</verse>
				<verse number="8">Дала леррина къобалвина Ӏийса селхана а, тахана а, массо а хенахь а Ша Верг ву.</verse>
				<verse number="9">Тайп-тайпанчу а, хийрачу а хьехамашка ма марзло. Делан диканца шайн дегнаш чӀагӀдар гӀоле ю, хӀума яаран парзаш кхочушдарал. Уьш кхочушдечарна пайда ца хуьлу.</verse>
				<verse number="10">Вайн сагӀа доккху кхерч бу, цу тӀера хӀума яа бакъо яц кху дуьненахь долчу Делан цӀа чохь гӀуллакх деш болчеран.</verse>
				<verse number="11">Къинах долчу сагӀина дайинчу дийнатийн цӀий динан коьртачу дас Делан цӀийнан уггар езачу чоьнна чу хьо, ткъа церан чархаш меттаматтал арахьа ягайо.</verse>
				<verse number="12">Иштта Ӏийсас а, Шен цӀийца нах базбархьама, гӀалин кевнал арахьа бала лайра.</verse>
				<verse number="13">Меттаматтал арахьа Иза волчу арадовлийла вай, Цуьнан сийсазвар тӀе а лоцуш.</verse>
				<verse number="14">Кхузахь вайн гуттар а лаьтташ йолу гӀала яц, вай хин йолу гӀала лоьхуш ду.</verse>
				<verse number="15">Ӏийсагахула гуттар а Далла лерина хасторан сагӀа доккхийла вай, я, кхечу тайпана аьлча, Цуьнан цӀе хастош болу вешан бертан стом лойла вай.</verse>
				<verse number="16">Диц ма делаш диканиг дан а, вовшашна оьшург шайна юкъахь декъа а, хӀунда аьлча иштта сагӀанаш Далла тамехь ду.</verse>
				<verse number="17">Шайн куьйгалхоша бохург а де, царна муьтӀахь а хила, хӀунда аьлча уьш массо а хенахь шун гӀайгӀа беш бу, Далла хьалха шайн шух жоп дала деза дела. Шаьш деш дерг хазахетарца дойла цара, даккхий синош а ца дохуш. Иза иштта ца хилахь, шуна цхьа а пайда бац.</verse>
				<verse number="18">Тхох лаций доӀанаш де. Тхо тешна ду тхайн дегнаш цӀена хиларх, хӀунда аьлча массо а хӀуманна тӀехь хьанал хила гӀерта тхо.</verse>
				<verse number="19">Къаьсттина доьху шуьга доӀа дар, Дала со сиха шайна тӀе юхаверзорах лаций.</verse>
				<verse number="20">Шен цӀийца гуттар а болу барт чӀагӀбина волу вайн Веза Эла Ӏийса, уьстагӀийн сийлахь Ӏу, веллачуьра денвинчу, синтем болчу Дала,</verse>
				<verse number="21">Шен лаам кхочушбархьама, муьлхха а дика хӀума лойла шуна. Дала леррина къобалвинчу Ӏийса-Элехула Шен тамехь дерг вайна чохь кхуллийла Цо. Сийлалла хуьлийла Цуьнан ерриге а хенахь. Амин.</verse>
				<verse number="22">Ас доьху шуьга, динан вежарий, хӀокху иракарахӀотторан даше собарца ладогӀар, яздинарг башха дукха а дац.</verse>
				<verse number="23">Цхьа кхаъ бу шуна: вайн ваша Тимапи паргӀатваьккхина. Иза кестта схьавагӀахь, цуьнца цхьаьна суна шу гур ду.</verse>
				<verse number="24">Шайн массо а куьйгалхошка а, берриге Делан нахе а маршалла ло. Италерчу динан вежаршкара маршалла ду шуьга.</verse>
				<verse number="25">Делан дика хуьлда шуьца массаьрца а.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="59">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">Делан а, Цо леррина къобалвинчу Ӏийса-Элан а лай волчу Якъубера дуьнен чухула дӀасадаьржинчу шийтта тайпане маршалла ду.</verse>
				<verse number="2">Сан вежарий, доккха хазахетар санна ларалаш тайп-тайпана зераш шайна тӀе мосазза хӀуьтту.</verse>
				<verse number="3">Шуна-м хаьа шайн тешар зерах чекхдаларо собар кхиош дуйла.</verse>
				<verse number="4">И собар кхачаме хилла дӀахӀотта деза, шу, цхьа а дерт а доцуш, дуьззина кхачамалла долуш хилийта.</verse>
				<verse number="5">Амма шуна юкъахь цхьанна хьекъалалла ца тоахь, цо иза Деле деха деза. Ша луш дерг атта а, бехкаш ца дохуш а луш волчу Цо иза массарна а лур ду.</verse>
				<verse number="6">Амма иза тешарца а, шеко йоцуш а деха деза, хӀунда аьлча шеко йолуш верг мохо ловзочу тулгӀенах тера ву.</verse>
				<verse number="7">Иштта волчу стага, Везачу Элера цхьаъ тӀеоьцур ду алий, дог а ма даха.</verse>
				<verse number="8">Шалха ойланаш йолу стаг ма ву иза, ша дечу хӀуманна тӀехь чӀагӀо а йоцуш.</verse>
				<verse number="9">Таро йоцу динан ваша синан лакхарчу хьолах воккхавеван веза,</verse>
				<verse number="10">ткъа таро йолуш верг синан лахарчу хьолах воккхавеван веза, хӀунда аьлча иза дӀавер ву дуьнен чуьра, бецан зезаг санна.</verse>
				<verse number="11">Малх хьала а гӀоттий, йовхо йогӀу. Йовхоно буц якъайо, бецан зезаг дужу, хазалла а дӀайолу. Иштта хьалдолу стаг а, шен гӀуллакхаш а деш, дӀаволу.</verse>
				<verse number="12">Декъалвина ву зенашна садеттарг, хӀунда аьлча иза зийначул тӀаьхьа, ял санна, хедар доцучу дахаран таж лур ду цунна Ша везачарна иза лур ду аьллачу Везачу Эло.</verse>
				<verse number="13">Ша зуьйш волчу хенахь стага ма баха: «Дала со зуьйш ву». Вочу хӀуманца Дела зелур вац, ткъа Цо Ша цхьа а ца зоь.</verse>
				<verse number="14">Амма хӀора а шен харц лаамаша зуьйш ву, цара иза, Ӏеха а вой, дӀалоцу.</verse>
				<verse number="15">Стаг харц лаамца цхьаьнакхеттачул тӀаьхьа, цу харц лаамо къа кхуллу, ткъа къино, кхачаме схьа а кхаьчна, Ӏожалла кхуллу.</verse>
				<verse number="16">Шаьш Ӏеха ма дайта, сан хьомсара вежарий.</verse>
				<verse number="17">Муьлхха а дика а, кхачаме а совгӀат лакхара, стигалан серлонаш кхоьллинчу Дегара догӀу. Иза, уьду мархаш санна, хийцалуш вац.</verse>
				<verse number="18">Шен лаамца, бакъдолчу кхоаца кхоьллина Цо вай, Ша кхоьллинчарна юкъахь вай лараме хилийта.</verse>
				<verse number="19">Сан хьомсара вежарий, муьлхха а стаг ладогӀарна сихвала веза, ткъа шен хабарна а, оьгӀазаллина а собаре хила веза,</verse>
				<verse number="20">хӀунда аьлча адаман оьгӀазалло стаг Далла хьалха бакъ ца хуьлуьйту.</verse>
				<verse number="21">Цундела муьлхха а хьарам хӀума а, вон мел лелар а дӀадаккха. Далла муьтӀахь а хуьлуш, шайга кховдийна а, шаьш кӀелхьардаха тарлуш долу а Делан дош тӀеэца.</verse>
				<verse number="22">Делан дош кхочушдеш болчарах хилалаш, цуьнга ладугӀурш бен а ца хилла, шаьш Ӏехочарах тар а ца луш.</verse>
				<verse number="23">ХӀунда аьлча, Делан даше ла а дугӀуш, иза кхочуш ца деш волу стаг шен билггал йолчу юьхье куьзгана чу хьоьжучух тера ву.</verse>
				<verse number="24">Шега а хьаьжна, иза юьстахволу, ткъа цу сохьта шен юьхьсибат цунна дицло.</verse>
				<verse number="25">Амма Делан кхачаме болчу а, паргӀато лучу а хьехаме леррина а хьожуш, цуьнан кхидӀа а тидам а беш, вицлуш волу ладогӀархо а воцуш, и хьехам кхочушбийриг ша мел дечу гӀуллакхашна тӀехь декъалвина хир ву.</verse>
				<verse number="26">Нагахь цхьаммо, ша суьпа а хеташ, шен маттана дуьрста ца йоллахь, цо ша-шен Ӏехаво, цуьнан суьпа хилар а даьсса ду.</verse>
				<verse number="27">Да волчу Далла хьалха цӀена а, бехдалаза а суьпалла иштта ду: байшна а, бисина Ӏачу зударшна а гӀо дар а, дуьнен чохь долчу вочуьнга ша бех ца вайтар а.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Сан вежарий! Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах, вайн сийлаллин Элах, а тешаш, озабезамца цхьаьнга ма хьажалаш.</verse>
				<verse number="2">Нагахь шун гуламе, дашо мухӀар а доьллина, деза духар дуьйхина хьалдолу стаг веача а, беркъа духар дуьйхина къен стаг веача а,</verse>
				<verse number="3">аша, деза духар дуьйхина волчу стаге а хьаьжна, цуьнга ала мега: «Кхузахь дика хир ду хьуна, охьахаа», ткъа къечуьнга ала мега: «Хьо хьуьлла дӀахӀотта, я кхуза, сан когашка, охьахаа».</verse>
				<verse number="4">Иштта дича, шайна юкъахь къестамаш кхуллий те аша? Харц-ойланаш йолу кхелахой хуьлий те шух?</verse>
				<verse number="5">ЛадогӀийша, сан хьомсара вежарий, дуьнен чуьра къен нах Дала ца хаьржина те? Тешарехь хьал долуш хилархьама а, Ша везачарна лур ду аьллачу олалле кхачийтархьама а Дала уьш ца хаьржина те?</verse>
				<verse number="6">Ткъа аша къениг дӀатеттина. Хьалдолу нах бац шуна ницкъ беш берш, уьш бац шу кхеле ийзош берш?</verse>
				<verse number="7">Шуна елла сийлахь цӀе сийсазъеш бац уьш?</verse>
				<verse number="8">Нагахь Делан Йозанашна тӀера болу паччахьан хьехам: «Хьайн уллораниг хьо санна веза», аша кхочушбахь, аша деш дерг нийса ду.</verse>
				<verse number="9">Амма стаге озабезамца шу хьовсахь, аша къа латадо, товрат-хьехамо шу, зуламхой санна, бехкедо.</verse>
				<verse number="10">Берриг а товрат-хьехамаш кхочуш а беш, цхьана хӀуманна тӀехь къалатийнарг массо а хӀуманна тӀехь а бехке хуьлу.</verse>
				<verse number="11">«Нахаца ма лела», — Аьллачо аьлла: «Адам ма де», цундела, нагахь хьо нахаца лелаш вацахь, амма ахь адам дехь, хьо Дала тӀедиллинарг дохош волу зуламхо ву.</verse>
				<verse number="12">ПаргӀато лучу хьехамашка хьаьжжина, Дала кхел ен йолчу наха санна, ала а ала, гӀуллакх а де.</verse>
				<verse number="13">ХӀунда аьлча къинхетам боцу кхел хир ю шегара къинхетам ца гайтинчунна. Къинхетам кхелал а лакхара бу.</verse>
				<verse number="14">ХӀун пайда бу, сан вежарий, стага шен тешар ду баьхча, амма цо деш долчу гӀуллакхаша иза гойтуш ца хилча? Ишттачу тешаро кӀелхьарвоккхур вуй иза?</verse>
				<verse number="15">Нагахь вешина я йишина тӀеюху хӀума а, кхача а эшахь,</verse>
				<verse number="16">ткъа шух цхьаммо цаьрга алахь: «Маьрша дӀагӀо, дох а ло, дуззалц хӀума а яа», амма царна оьшург ца лахь, хӀун пайда бу цуьнан?</verse>
				<verse number="17">Иштта ду тешар а, нагахь цуьнца цхьаьна деш гӀуллакхаш дацахь, иза делла ду.</verse>
				<verse number="18">Амма цхьаммо ала тарло: «Хьан тешар ду, ткъа сан гӀуллакхаш ду». ГӀуллакхашца доцуш долу хьайн тешар гайта суна, ткъа аса гӀуллакхашца долу сайн тешар гойтур ду хьуна.</verse>
				<verse number="19">Хьо теша Дела цхьаъ хиларх, иза дика ду. Ур-атталла жинаш а теша Иза хиларх — ткъа уьш кхерарна дегадо!</verse>
				<verse number="20">Амма хаа лаьий хьуна, сонта стаг, гӀуллакхашца доцу тешар эрна дуйла?</verse>
				<verse number="21">Шен гӀуллакхашца Далла хьалха бакъхилла вац вайн да ИбрахӀим, шен кӀант Исхьакх сагӀа доккхучу меттиган тӀулгашна тӀе а виллина?</verse>
				<verse number="22">Гой хьуна, цуьнан тешар гӀуллакхашца цхьаьнадогӀуш хилла, и гӀуллакхаш бахьана долуш и тешар кхачаме хилла.</verse>
				<verse number="23">Делан Йозанашкахь аьлларг кхочушхилла: «ИбрахӀим тийшира Везачу Элах, цундела Цо иза Шена хьалха бакъвина лерира», цунах Делан доттагӀа элира.</verse>
				<verse number="24">Гой шуна, стаг Далла хьалха бакъхуьлу шен гӀуллакхашца, тешарца хилла а ца Ӏаш.</verse>
				<verse number="25">Иштта, нахаца лела Рахьаб ша дина гӀуллакх бахьана долуш Далла хьалха бакъхилла, бахкийтина нах тӀе а лаьцна, уьш кхечу новкъахула дӀа а хьовсийна.</verse>
				<verse number="26">Цундела, шена чохь са доцу дегӀ делла ма-хиллара, гӀуллакхашца доцу тешар а делла ду.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">Сан вежарий! Шуна юкъара кӀеззиг нах бен ма хила хьехархой. Шуна хаьа, вайна еш йолу кхел мел чӀогӀа хир ю,</verse>
				<verse number="2">хӀунда аьлча вай массара а къинош дукха летадо. Дашаца цкъа а къа ца латош верг кхачаме стаг ву, цуьнга шен дерриг дегӀан дола дало.</verse>
				<verse number="3">Вай говрийн бага гаьллаш йохку, уьш вайга ладугӀуш хилийта, тӀаккха церан догӀмаш леладо вай.</verse>
				<verse number="4">Масала, хӀордкеманаш а, мел даккхий уьш делахь а, ондачу мехаша лелош делахь а, жимачу тӀомаца дӀадохуьйту хӀордахочо шена луъучу.</verse>
				<verse number="5">Иштта, матто а, кӀезиг меже елахь а, доккхачу гӀуллакхашна тӀехь куралла йо. Хьажал, жимачу цӀаро мел йоккха хьун ягайо!</verse>
				<verse number="6">Мотт а цӀе ю. Иза дегӀан вукху меженашна юкъахь вон дуьне санна бу. Матто дерриг дегӀ а бехдо, вайн дахаран некъ хьала а латабо. Ткъа ша жоьжахатин цӀарах хьалалеташ бу иза.</verse>
				<verse number="7">Муьлхха а экха а, олхазар а, текхарг а, хӀордан дийнат а стага караӀамадан тарло (баккъалла а, уьш караӀамийна ду).</verse>
				<verse number="8">Амма адамашка цхьаьнгге а мотт кара ца Ӏамало, иза саца ца луш долу вон ду. Мотт Ӏожаллин дӀовшах буьзна бу.</verse>
				<verse number="9">Цуьнца Веза Эла а, Да а декъалво вай, цуьнца Делан сибатехь кхоьллинчу адамна неӀалт а олу вай.</verse>
				<verse number="10">Цхьана багара схьадолу декъалвар а, неӀалт алар а. Иштта хила йиш яц, сан вежарий.</verse>
				<verse number="11">Цхьана хьостанах схьадер дуй мерза а, къаьхьа а хи?</verse>
				<verse number="12">Сан вежарий, инжиран дитта тӀе зайт-диттан стоьмаш а латор бац, кемсийн таьлланга тӀе инжираш а латор яц. Иштта дуьрачу хьостано мерза хи лур дац.</verse>
				<verse number="13">Ша хьекъал а, кхетам а болуш волчо шен оьздачу леларца а, хьекъалера схьадолчу эсалаллехь динчу гӀуллакхашца а гайта ца деза иза?</verse>
				<verse number="14">Амма шун даг чохь къаьхьа хьагӀ а, шена пайда лехар а делахь, дозаллаш ма де, бакъдолчунна дуьхьал харцо ма лелае.</verse>
				<verse number="15">Иза лакхара долу хьекъалалла дац, амма дуьненан, синан, жинийн хьекъалалла ду.</verse>
				<verse number="16">ХӀунда аьлча хьагӀ а, шена пайда лехар а долчохь низам дохор а, мел долу вониг а ду.</verse>
				<verse number="17">Амма лакхара долу хьекъалалла, цкъа-делахь, цӀена ду, цул тӀаьхьа, машаре а, оьзда а, къинхетамах а, дикачу стоьмех а дуьзна а, озабезам боцуш а, шалхо йоцуш а ду.</verse>
				<verse number="18">Барт кхуллуш болчара бертахь дийначу хӀух нийсонан ялта схьадолу.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">Къийсамаш а, девнаш а мичара ду шун? Шун меженашкахь вовшашца тӀом бечу а, дуьненан хӀума тӀех дезачу а лаамех схьадуьйлуш дуй те уьш?</verse>
				<verse number="2">ХӀума деза шуна, амма иза ца хуьлу шуна. Адам дел чӀогӀа хьагӀ хуьлу шуьца, амма дезачуьнга ца кхачало шу. Вовшашца а къуьйсу, девнаш а доху аша, амма дезарг ца хуьлу шуна, хӀунда аьлча аша, Деле доьхуш, доӀа ца до.</verse>
				<verse number="3">Дехча а, ца хуьлу шуна иза, хӀунда аьлча аша дикачу хӀуманна ца доьхуш, дуьненан хӀума тӀех дезачу шайн лаамийн дуьхьа доьху.</verse>
				<verse number="4">Тешам боцурш! ХӀара дуьне дезар Делаца мостагӀалла хилар дуйла ца хаьа шуна? Дуьненах шена доттагӀа хила лууш верг Делан мостагӀа хуьлу.</verse>
				<verse number="5">Шуна моьтту хир ду Делан Йозанашкахь эрна аьлла: «Дала вайна чохь Ӏан деллачу Синна вай Шен хила лаьа»?</verse>
				<verse number="6">Амма Дала кхин а доккха дика дина вайна. Цундела аьлла ду: «Дела курачарна дуьхьал ву, амма ша кӀезиг хеташ Ӏаш болчарна Шен дика ло Цо».</verse>
				<verse number="7">Цундела Далла муьтӀахь хила, иблисана дуьхьалдовла, тӀаккха иза шух додур ду.</verse>
				<verse number="8">Далла улло гӀо, Иза а шуна улло вогӀур ву. Къинош летийнарш, шайн куьйгаш дила, шалхончаш, шайн дегнаш цӀанде.</verse>
				<verse number="9">Халахета, делха, тийжа. Шун деларх делхар хуьлийла, хазахетарх сингаттам хуьлийла.</verse>
				<verse number="10">Везачу Элана муьтӀахь хила, Цо ойур ду шу.</verse>
				<verse number="11">Вежарий, лен ма ле вовшашна. Шен ваша вон вуьйцуш, я цунна кхел еш волчо Делан хьехамна кхел а йо, иза вон а буьйцу. Нагахь хьо Делан хьехамна кхел еш велахь, хьо иза кхочушбеш вац, ткъа цуьнан кхелахо ву.</verse>
				<verse number="12">Хьехам Белларг а, Кхелахо а цхьаъ ву, Цо кӀелхьарваккха а, хӀаллакван а тарло. Ткъа хьо мила ву кхечунна кхел ян?</verse>
				<verse number="13">Ткъа хӀинца аша ладогӀалаш, хӀара къамел дийраш: «Тахана я кхана оцу гӀала а дахана, цигахь цхьана шарахь Ӏийр ду вай, мах а лелийна, пайда бийр бу вай».</verse>
				<verse number="14">Шуна ца хаьа, кхана хӀун хир ду. ХӀун ду шун дахар? КӀеззигчу ханна деана а, юха дӀадолу а дохк ду иза.</verse>
				<verse number="15">«Везачу Элана лаа а лиъна, вай дийна дисахь, хӀара я кхин дийр ду вай», — аларан метта,</verse>
				<verse number="16">шу дозаллаш деш ду, шаьш дегала долу дела. Ткъа муьлхха а иштта дозалла вониг ду.</verse>
				<verse number="17">Цундела, дан дезаш долу диканиг а хууш, и ца деш волчунна къа хир ду.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">ЛадогӀалаш аша, хьалдолчара: делхалаш, тийжалаш, хӀунда аьлча бохамаш бу шуна тӀехӀуьттуш.</verse>
				<verse number="2">Шун хьал, телхина, дӀадаьлла, шун духарш нецано диина.</verse>
				<verse number="3">Шун деши а, дети а мекхадоьлла. Церан мекха шуна дуьхьал тоьшалла деш хир ю, цо, цӀаро санна, дагор ду шун дилха. Ткъа аша дуьненан тӀаьххьарчу деношкахь шайна хазна гулйина.</verse>
				<verse number="4">Шун аренаш лелийначу белхалойн ял ю кхойкхуш, аша, дӀа ца луш, сацийна йолу. Ялта чудерзочеран тийжар массо а ницкъийн Везачу Элан лергашка кхаьчна ду.</verse>
				<verse number="5">Шу, хьал а долуш, даьхна дуьнен тӀехь, зовкх а хьоьгуш. Шаьш дарстийна аша, сагӀа даккха кечдина бежанаш санна.</verse>
				<verse number="6">Аша, кхел а йина, бехк боцурш байира. Цаьрга шуна дуьхьало ца яло.</verse>
				<verse number="7">Вежарий, собаре хилалаш, Веза Эла схьаваллалц. Латта лелош волчо безачу стоьме сатуьйсийла хаьий шуна? Иза собарца хьоьжу хьалхара а, тӀаьхьара а догӀа даре.</verse>
				<verse number="8">Иштта шу а чӀогӀа собаре хилалаш, шайн дегнаш чӀагӀделаш, хӀунда аьлча Веза Эла вар гергакхочуш ду.</verse>
				<verse number="9">Вовшашна аьрзнаш ма делаш, вежарий, шайна кхел ца яйтархьама, хӀунда аьлча Кхелахо неӀарехь лаьтташ ву.</verse>
				<verse number="10">Баланаш а ловш, собаре хиларан масална Везачу Элан цӀарах дуьйцуш хилла болу пайхамарш схьаэца, сан вежарий.</verse>
				<verse number="11">Собарца баланаш хьегнарш декъалбинарш лору вай. Шуна хезна Аюба лайначу халонех лаьцна. Ткъа Везачу Эло цунна эххар а динарг а хаьа шуна, хӀунда аьлча Веза Эла чӀогӀа къинхетаме а, стагах дог лозуш а ву.</verse>
				<verse number="12">Уггар хьалха, сан вежарий, стигалх а, лаьттах а, я кхечу хӀуманах а чӀагӀонаш ма елаш, амма шун «хӀаъ» «хӀаъ» хила деза, «хӀан-хӀа» «хӀан-хӀа» хила деза, шу бехке ца хилийтархьама.</verse>
				<verse number="13">Шух цхьаъ бала хьоьгуш велахь, цо доӀа дан деза, самукъадаьлла велахь, хастам баран йиш лакха еза.</verse>
				<verse number="14">Шух цхьаъ цомгуш велахь, цо Ӏийсах тешачийн тобанан куьйгалхой кхайкха беза. Цара доӀа дан деза цунна тӀехь, Везачу Элан дуьхьа цомгушчунна деза даьтта а хьокхуш.</verse>
				<verse number="15">Тешаран доӀано цомгушниг товийр ву, Везачу Эло иза когаш тӀе хӀоттор ву. Нагахь цо къинош летийнехь, цунна гечдийр ду.</verse>
				<verse number="16">Шайгара даьллачу къинойх лаьцна даре а деш, вовшех лаций доӀа де, шайна гӀоле хилийта: Делан лаамехь волчо динчу доӀано дуккха а дан тарло, цуьнгахула ницкъ баларна.</verse>
				<verse number="17">Эли-ЯхӀу вай санна стаг вара. Цо, догӀа ма даийта аьлла, чӀогӀа доӀа дича, кхаа шарахь а, ялх баттахь а лаьтта тӀе догӀа ца деара.</verse>
				<verse number="18">Юха цо доӀа дича, стигалара догӀа а деара, лаьтто шен стом а белира.</verse>
				<verse number="19">Вежарий, нагахь шух бакъдолчун новкъара ваьлларг цхьаммо нисвахь,</verse>
				<verse number="20">цунна дӀахаийла, харц новкъара къа латийнарг нийсачу новкъа ваьккхинчо лечуьра са кӀелхьар а доккхур ду, дуккха а къинош дӀа а къовлур ду.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="60">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан векалера Кипера Дала къастийначаьрга, аренца лелаш, хийрачу мехкашкахула: Понтехула, Галатехула, Каппадокехула, Асиа-махкахула, Битхьуни-махкахула дӀасабекъабеллачаьрга.</verse>
				<verse number="2">Шена хьалххе хууш ма-хиллара, вайн Да волчу Дала шу хаьржира. Ткъа Делан Сино шу Далла улло далийра, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсана муьтӀахь а хилла, Цуьнан цӀийца шу цӀиндалийта. Делан дика а, синпаргӀато а шорта хуьлда шуна!</verse>
				<verse number="3">3-4 Хастам бу Далла, леррина къобалвинчу вайн Везачу Элан Ӏийсан Дена, Шен доккхачу диканца вайна керла дахар делла волчу, веллачуьра Ша леррина къобалвина Ӏийса ден а вина, цу бахьаненна хӀаллак а хир йоцучу, сакхто я замано талхор а йоцучу тӀаьхьене бакъболу сатийсам вайна белла волу. И тӀаьхье стигалшкахь ларъеш ю,</verse>
				<verse number="4">***</verse>
				<verse number="5">ткъа шу, тӀаьхьара зама а еана, хиндолу кӀелхьардовлар гучудаллалц, шайн тешар бахьана долуш Делан ницкъо Ӏалашдеш ду.</verse>
				<verse number="6">Шу цунах даккхийдеш ду, хӀинца кӀеззигчу ханна шайна тайп-тайпанара зер лан дезахь а.</verse>
				<verse number="7">Шун тешар зуьйш ду, ткъа иза дешил деза ду. ХӀунда аьлча деши, цӀарца дахчош делахь а, замано талхош ду. Ткъа шун тешар, зен а зийна, бакъдолу тешар ду аьлла, хила дезаш ду, Дала леррина къобалвина Ӏийса веанчу дийнахь шун хастам а, даздар а, сийлалла а хилийтархьама.</verse>
				<verse number="8">8-9 Шуна Иза веза, шайна ца гиннашехь. Шу теша Цунах, шайна Иза хӀинца а ца гушшехь. Шу, инзаре чӀогӀа хазахетар деана, даккхийдеш ду, хӀунда аьлча шуьга кхаьчна тешаран Ӏалашо: шайн кӀелхьардовлар.</verse>
				<verse number="9">***</verse>
				<verse number="10">Пайхамарша леррина талла а теллина, Ӏама а дина оцу кӀелхьардовларх дерг дерриг а. Шуна дала кечдинчу Делан диканах лаьцна а дийцина цара.</verse>
				<verse number="11">Шайна чохь хиллачу Дала леррина Къобалвинчун Сино йийцина йолу хан а, хьелаш а къасто гӀиртина уьш. Цу Сино дийцина царна Дала леррина Къобалвинчун баланех лаьцна а, тӀаьхьа Цуьнца боьзна хин болчу сийлахьчу хиламех лаьцна а.</verse>
				<verse number="12">Цаьрга хаийтира, шайна а доцуш, ткъа шуна гӀуллакх деш уьш хилар. Стигалара даийтинчу Делан Сино хаза кхаъ кхайкхош болчаьргахула хӀинца шуна дийцийтинарг кхайкхадора цара. Стигалара маликаш а тӀехь ду и къайле хаа лууш.</verse>
				<verse number="13">Сема а, дечу гӀуллакхна гуттар а кийча а хуьлда шун кхетам. Дала леррина къобалвина Ӏийса вогӀучу дийнахь Делан шуьга болу безам бахьана долуш шайна лун долчуьнца боьзна хилийта шайн берриг а сатийсамаш.</verse>
				<verse number="14">Ийманехь долу Делан бераш санна хила, хьалха шаьш боданехь долчу хенахь хиллачу хьарамчу лаамашка шайн дахар ма талхадайта.</verse>
				<verse number="15">Мелхо а, шаьш а цӀена хила, шайн лелар а цӀена хилийта, шаьш ТӀекхайкхинарг цӀена ма-хиллара.</verse>
				<verse number="16">Делан Йозанаш тӀехь аьлла ма ду: «ЦӀена хилалаш, хӀунда аьлча Со а цӀена ву».</verse>
				<verse number="17">Нагахь хӀораннах а озабезам ца беш, цо диначуьнга хьаьжжина кхел еш Волчух аша Дада олуш хилча, шаьш дуьнен чу даьхкина хьеший хилла йолу хан сийлаллин кхерам дагахь а болуш яккха.</verse>
				<verse number="18">Хаалаш, телхина дӀадер долу дети я деши а делла эцна яц шун паргӀато, шун дайх дисинчу гӀийлачу дахарх шу мукъадохуш,</verse>
				<verse number="19">амма цӀеначу а, бехк боцучу а Ӏахаран санна долу, Дала леррина Къобалвинчун деза цӀий делла ю.</verse>
				<verse number="20">Дуьне а кхоллале къастийна вара Иза, амма тӀаьхьарчу заманахь бен гучуваьккхина вацара шун дуьхьа.</verse>
				<verse number="21">Иза веллачуьра ден а вина, Цунна деза сийлалла деллачу Делах а Иза бахьана долуш теша шу, цундела шун тешар а, сатийсам а Делаца боьзна бу.</verse>
				<verse number="22">Бакъдолчунна муьтӀахь хиларна, шайн синош а цӀандина, шайн динан вежарий шалхо йоцуш безаш ду шу. Ткъа хӀинца шайн ницкъ ма-кхоччу даггарчу безамца вовше дезалаш!</verse>
				<verse number="23">Шун керлачу дахаран хьоста лийр долу хӀу дац, амма гуттар а хин дерг ду. Иза дийна долу а, гуттар а хин долу а Делан Дош ду!</verse>
				<verse number="24">ХӀунда аьлча аьлла ду: «ХӀора адам буц санна ду, цуьнан хазалла арарчу зезагийн санна ю. Буц а якъало, зезаг а маргӀалдулу,</verse>
				<verse number="25">ткъа Везачу Элан Дош гуттар а деха». Иштта бу шуна кхайкхийна хаза кхаъ!</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Муьлхха а вон, харцдерг, шалхо, хьагӀ, лер дӀадаккха!</verse>
				<verse number="2">Дакхош долу бераш шуьрех санна, синан кхача болчу цӀеначу дашах хьага, цуьнан гӀоьнца шу даккхий а хилла, шун кӀелхьардовлар чекхдалархьама,</verse>
				<verse number="3">хӀунда аьлча «Веза Эла мел дика ву шуна хиъна».</verse>
				<verse number="4">Цунна тӀе дуьйла. Наха дӀатесна болу дийна ТӀулг бу Иза, амма Дала хаьржина а, Цунна гергахь беза а болу.</verse>
				<verse number="5">Шу шаьш а ду дийна тӀулгаш. Шайх синан цӀа дайта, цу чохь динан дай хилархьама, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Далла лууш долу синан сагӀанаш даха.</verse>
				<verse number="6">ХӀунда аьлча аьлла ду Делан Йозанашкахь: «Ас Цийон-лам тӀехь охьабуьллу са болу, къастийна, беза тӀулг. Муьлхха а Цунах тешаш верг юьхьӀаьржачу хӀуттур вац».</verse>
				<verse number="7">Иштта, Цунах тешачу шуна Иза деза жовхӀар ду, ткъа ца тешачарна: «ГӀишлош еш пхьераша дӀакхоьссина тӀулг цӀийнан сонан йистехь коьрта тӀулг, хилла, дӀахӀоьттина».</verse>
				<verse number="8">Кхин а: «Нах тасаболуьйтун болу тӀулг бу иза, уьш охьаоьгун болу тарх а ю иза». Делан Дашна муьтӀахь ца хиларна тийсало — иштта кхоллам бу церан.</verse>
				<verse number="9">Амма шу къастийна тайпа ду, Паччахьан лаамехь болу динан дай, деза халкъ, Делан долахь дерш, боданера Шен исбаьхьчу серлоне Кхайкхинчун сийлахьчу гӀуллакхех лаьцна шуьга дийцийтархьама.</verse>
				<verse number="10">«Цхьана хенахь халкъ дацара шу, ткъа хӀинца Делан халкъ ду. Цхьана хенахь шух бина къинхетам бацара, ткъа хӀинца Дала къинхетам бина шух».</verse>
				<verse number="11">Сан хьоменаш, аренца лелаш, дуьнен чу даьхкина хьеший шу долу дела, доьху ас шуьга, синца тӀом бечу дегӀан лаамех ларлолаш.</verse>
				<verse number="12">Кхечу къаьмнийн нахана юкъахь шайн лелар оьзда хилийталаш, тӀаккха, шу вон нах ду бохуш, дуьйцуш болчара, шун дика гӀуллакхаш а гина, Дела хастор ву Иза веанчу дийнахь.</verse>
				<verse number="13">Везачу Элан дуьхьа адамна тӀехь урхалла дечу Ӏедална муьтӀахь хилалаш: паччахьна, хӀунда аьлча цуьнгахь лаккхара Ӏедал ду,</verse>
				<verse number="14">куьйгалхошна, хӀунда аьлча уьш зуламхошна таӀзар дан а, дика гӀуллакх дечарна совгӀат дала хӀиттийна бу.</verse>
				<verse number="15">ХӀунда аьлча иштта бу Делан лаам: дика гӀуллакх дечара сонта наха дуьйцуш долу эрна хабарш дӀасовцадо.</verse>
				<verse number="16">ПаргӀат даха, амма цу паргӀатона тӀехьа а лечкъаш, вон гӀуллакхаш ма леладе, хӀунда аьлча шу Делан леш ду.</verse>
				<verse number="17">Массо а лара, вежарий а беза, Делах а кхера, паччахьан сий а де.</verse>
				<verse number="18">Леш, шайн элашна хила ма-деззара муьтӀахь хила, шайца дика а, эсала а болчарна хилла ца Ӏаш, шайца буьрса болчарна а.</verse>
				<verse number="19">Ларам бу стеган, нагахь санна бехк а боцуш таӀзар ловш велахь, Дела вуйла а хууш.</verse>
				<verse number="20">ХӀун сий хир ду, нагахь шайн бехк буйла а хууш, деш долу таӀзар ловш шу делахь? Амма диканиг а дина, шу хало ловш делахь, иза Далла гергахь деза ду.</verse>
				<verse number="21">Шу оцу балхана кхайкхина ма ду. Дала леррина Къобалвинарг а, шун дуьхьа баланаш а лайна, Шена тӀаьххье шу дахкийта масала а гайтина ма ву.</verse>
				<verse number="22">«Цо цхьа а къа а ца латийна, Цуьнан багара харц дош а ца даьлла».</verse>
				<verse number="23">Ша сийсазвича, Цо дуьхьал вон дош ца олура, Ша бала ловчу хенахь, кхерамаш ца туьйсура, амма нийсо ечу Кхелахочун кара Ша дӀалора.</verse>
				<verse number="24">Шен дегӀаца вайн къинош жӀара тӀе даьхьна Цо, вай къинойх къаьстина, цӀена дахийтархьама. Цуьнан чевнаш бахьана долуш дарба хилла шуна.</verse>
				<verse number="25">Цхьана хенахь, тиладелла уьстагӀий санна, лелла шу, ткъа хӀинца шу шайн синойн Ӏуьнна а, шаьш Ӏалашдечунна а тӀе юхадаьхкина.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">Зударий, шу а шайн майранашна муьтӀахь хила. Нагахь цхьаболу майранаш Делан Даше ладугӀуш ца хилахь, шайн дахарх масал а луш, дист а ца хуьлуш, Делах тешарна тӀебалабе уьш,</verse>
				<verse number="2">шайн цӀена а, Делах кхоьруш а долу дахар а гайтий.</verse>
				<verse number="3">Гуш долчу хӀуманашца хаздала ма гӀерта: месаш Ӏалашъярца, дашо хӀуманашца, хазачу духаршца.</verse>
				<verse number="4">Мелхо а, даггара долчу, телхар доцучу, тийначу, эсалчу синан хазаллица кечдала хьовса. Иза Далла гергахь деза ду.</verse>
				<verse number="5">Хьалхарчу заманчохь иштта хазлора Делан дикане сатуьйсуш болу сийлахь зударий, шайн майранашна муьтӀахь хуьлуш.</verse>
				<verse number="6">Масала, ИбрахӀиме массо а хӀуманна тӀехь ладугӀуш а, цунах шен эла олуш а яра Сарат. Нагахь шу диканиг а деш, дагахь кхерам хиларна сингаттам а боцуш Ӏаш делахь, шу Цуьнан йоӀарий ду.</verse>
				<verse number="7">Цу кеппара майранаш а хила беза шайн зударшца дика, уьш гӀорасиза хилар а хууш. Уьш лара, хӀунда аьлча божаршца цхьаьна дахаран совгӀат кхочу цаьрга. ТӀаккха шун доӀанашна дуьхьало еш хӀумма а хир дац.</verse>
				<verse number="8">Иштта, шу цхьа барт болуш, вовшийн лоруш а, вежарий а, йижарий а безаш а, къинхетам болуш а, шаьш лахара хоьтуьйтуш а хила деза.</verse>
				<verse number="9">Вонна дуьхьал вон ма даккха, сийсазварна дуьхьал сийсазвар, мелхо а декъалве шайна вон болх бинарг. ХӀунда аьлча шу цу балхана кхайкхина ду, ткъа шуна Делера декъалдар хир ду.</verse>
				<verse number="10">Делан Йозанашкахь ма-аллара: «Хаза денош а гуш, ирсе ваха лууш волчо вочу дешнех шен мотт а ларбе, харц долчух шен бага а ларъе.</verse>
				<verse number="11">Вочунах дӀавирзина, диканиг дойла цо, машар лохийла, цуьнгахьа къуьйсуш.</verse>
				<verse number="12">ХӀунда аьлча Делан лаамехь болчаьргахьа ду Везачу Элан хьажар, церан доӀанашка схьадиллина ду Цуьнан лергаш. Амма оьгӀазе ю Везачу Элан юьхь Иза зуламхошка хьожучу хенахь».</verse>
				<verse number="13">Хьан дийр ду шуна зен, шу диканиг дан гӀерташ хилча?</verse>
				<verse number="14">Амма шаьш дина дика хӀума бахьана долуш шу бала хьоьгуш делахь, шу декъалхилла ду. «Уьш кхоьручух шу ма кхера, доха а ма доха!»</verse>
				<verse number="15">Дала леррина Къобалвинарг шайн дегнашкахь Веза Эла санна хилийта. Шайга хаттахь, гуттар а кийча хила жоп дала, шуьца болу сатийсам стенца боьзна бу.</verse>
				<verse number="16">Ларам болуш а, таьӀна а жоп ло. Эхь-бехк долуш хила, тӀаккха шуна тӀехь доцург дуьйцуш волчунна эхь хетар ду, Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна долу шун дахар мел цӀена ду гича.</verse>
				<verse number="17">Делан лаам белахь, диканиг дар бахьана долуш хало лар гӀолехь ду, вониг а дина ловчул!</verse>
				<verse number="18">ХӀунда аьлча къинош летийна долу шу Далла тӀе дерзорхьама, Дала леррина Къобалвинчо а цкъа бала лайна вайн къинош бахьана долуш, Иштта Делан лаамехь Волчунна Делан лаамехь боцурш бахьана долуш хало гина. Цуьнан дегӀ дийнера, амма Са дахаре юха далийнера.</verse>
				<verse number="19">Оцу Синан кепехь набахтехь долчу синошна кхайкхам бан вахара Иза.</verse>
				<verse number="20">Нохьа-пайхамаро шен кема дечу хенахь, Дела цуьнга собаре хьоьжуш а волуш, Делан лаамера девлла, Цуьнга ла ца доьгӀна синош дара уьш. Дукха синош кӀелхьара ца дехира хи чуьра цу кемана чохь, верриг а бархӀ стаг бен.</verse>
				<verse number="21">ХӀинца шу кӀелхьардохуш йолу хих чекхдовларан билгало ю иза. Хих чекхдовлар — иза тӀера мода дӀаяккхар дац, амма цӀеначу дагца Деле йина чӀагӀо ю. Дала леррина къобалвина Ӏийса денвалар бахьана долуш цу хих чекхдовларо шу кӀелхьардоху.</verse>
				<verse number="22">Ӏийса, стигала хьала а ваьлла, Далла аьтту агӀор Ӏаш ву. Цо бохург деш ду маликаш а, стигалара ницкъаш а.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">Дала леррина Къобалвинчо Шен дегӀана бина ницкъ лайна дела, аша а цунах тера долчу леларна кечам бан беза. ХӀунда аьлча дегӀана хуьлу ницкъ лайнарг, къинойх дӀа а къаьстина,</verse>
				<verse number="2">дуьнен чохь яккха йисина хан, дегӀан лаамийн кара а ца воьдуш, Дала бохург деш йоккхуш хир ву.</verse>
				<verse number="3">Кхечу къаьмнийн нахах тарделла, хьалха а шортта хан яьккхина аша: вон мел дерг лелош, зударий а, божарий а хьарам лаамаш болуш, нахаца лелаш, муьйлуш, цӀушна хьарам Ӏибадат деш.</verse>
				<verse number="4">Ткъа хӀинца царна тамашийна хета аша хьалхалера боьха гӀуллакхаш ца лелош, цундела шуна лоь уьш.</verse>
				<verse number="5">Амма церан жоп дала дезар ду дийначарна а, беллачарна а кхел ян кийча Волчунна.</verse>
				<verse number="6">Беллачарна а хаийтинера хаза кхаъ. ДогӀмех аьлча — царна кхел йина. Ткъа синойх аьлча — уьш гуттар а дийна хир ду Дела волчохь.</verse>
				<verse number="7">Дерригенан а чаккхе тӀекхочуш ю. Хьекъале дуьйла, собаре а хила, тӀаккха шуьга доӀанаш далур ду.</verse>
				<verse number="8">Уггар хьалха даггара вовшийн деза, хӀунда аьлча безамо дукха къинош дӀахьулдо.</verse>
				<verse number="9">Шайн хӀусамашкахь вовшийн тӀеэца, яппарш а ца еш.</verse>
				<verse number="10">Шуна хӀоранна а ша тайпа похӀма кхаьчна. Вовшийн гӀуллакх де цу похӀмица, Дала тайп-тайпана диканаш деллачу тешамечу хӀусамдас санна.</verse>
				<verse number="11">Нагахь цхьаъ хьехам беш велахь, и хьехам Делера болуш санна бе, Далла гӀуллакх деш велахь, Дала шена беллачу ницкъаца де и гӀуллакх. Иштта Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Дела хастаме хир ву. Сий а, ницкъ а хуьлда Ӏийсан бӀеннаш шерашкахь, амин!</verse>
				<verse number="12">Сан хьоменаш, шуна тамашийна ма хета шайн луьра зер лан дезар, дага ма даийта, шайца цхьа тамашийна хӀума хуьлу аьлла.</verse>
				<verse number="13">Мелхо а, даккхийде шаьш Дала леррина Къобалвинчун баланашкахь дакъа лацарна. Цуьнан сийлалла гойтучу дийнахь шу даккхийдеш а, самукъадаьлла а хир ду.</verse>
				<verse number="14">Нагахь Дала леррина Къобалвинарг бахьана долуш шу сийсаздеш делахь, шу декъалдина ду, Делан сийлаллин Са шуьца хуьлу дела.</verse>
				<verse number="15">Стаг вийнарг, я къу, я зуламхо, я мотт тоьхнарг а хилла, таӀзар ловш ма хуьлийла шух цхьа а.</verse>
				<verse number="16">Нагахь шуна дина таӀзар Дала леррина Къобалвинчун мурд ву аьлла делахь, эхь ма хета, Далла хастам бе ша и цӀе лелорна!</verse>
				<verse number="17">Кхел яран хан герга кхаьчна. Делан доьзалера нахана тӀера йолалур ю иза. Ткъа вайна тӀера иза йолалуш хилча, Делан Кхаъ тӀе ца эцначу нахана хӀун таӀзар хир ду?!</verse>
				<verse number="18">«Делан лаамехь верг халла кӀелхьарволуш хилча, Ӏеса лелачунна а, къинош летийначунна а хӀун хир ду?»</verse>
				<verse number="19">Цундела Делан лаамца баланаш хьоьгуш болчара, дерриг а диканиг дан а хьожуш, гуттар а Бакъволчу вай Кхоьллинчун кара шаьш дӀадала деза.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">ХӀинца шун коьртехь болчу тхьамданашка ала лаьа суна. Со а ву тхьамда а, Дала леррина Къобалвинчо баланаш ловш теш а хилла. Гучудаьн долу Цуьнан сий-ларам Цуьнца доькъур ду ас.</verse>
				<verse number="2">Шайга белла Делан бажа бажабе. Шаьш декхарийлахь долу дела а доцуш, даггара иза Ӏалашбе, Далла иза ма-лаъара. Шайна цунах цхьа пайда хир бара аьлла а доцуш, даггара къахьега.</verse>
				<verse number="3">Шайн куьйга кӀелахь болчу нахана масал хилий лела, шайн олалла бахьана долуш царна ницкъ ма бе.</verse>
				<verse number="4">ТӀаккха, коьрта Ӏу веача, телхар доцу сийлаллин таж лур ду шуна.</verse>
				<verse number="5">Ткъа шу, кегийнаш, тхьамданийн лаамехь хила. Вовшашна муьтӀахь а долуш де гӀуллакх, хӀунда аьлча: «Дела курачарна дуьхьал ву, амма ша кӀезиг хеташ Ӏаш болчарна Шен дика ло Цо».</verse>
				<verse number="6">Цундела Делан нуьцкъалчу куьйга кӀел дуьйла, Цо Шен хенахь ойур ду шу.</verse>
				<verse number="7">Берриг а шайн гӀайгӀанаш Цунна тӀе яхка, Иза шун бала болуш ву!</verse>
				<verse number="8">Собаре а, сема а хила! Шун мостагӀа, иблис, ду, гӀигӀ ден лом санна, цхьаъ дӀакхалла гӀерташ даьлла лелаш.</verse>
				<verse number="9">Цунна дуьхьало е, Делах шайн тешар чӀагӀде. Хаалаш, дерриг а дуьнен чохь шун вежарий, шу санна, баланаш ловш бу.</verse>
				<verse number="10">Массо а диканиг Шеца долчу Дала кхайкхина шуьга Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца цхьаьна Шен хедар доцу сийлалла декъа. КӀеззиг йолчу хенахь баланаш аш лайча, Цо шу нийсачу новкъа дохур ду, шуна чӀагӀо а, ницкъ а, довр доцу доьналла а лур ду.</verse>
				<verse number="11">БӀеннаш шерашкахь хуьлийла Цуьнан олалла, амин.</verse>
				<verse number="12">ХӀара доца кехат ас (сайга хаьттича) тешаме волчу вешин Салин гӀоьнца яздина, шу иракарахӀитторхьама а, иза билггала долу Делан диканиг дуйла хаийтархьама а. Цу тӀехь чӀоггӀа латта!</verse>
				<verse number="13">Шу санна, Бавел-гӀалара Дала хаьржиначара а, ткъа иштта сан кӀанта Марка а маршалла доуьйту шуьга.</verse>
				<verse number="14">Доггах, маршалла хатта вовшашка. Маьрша хуьлда шу Дала леррина Къобалвинчуьнца долу дерриш а.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="61">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан лай а, векал а волчу ШамӀа-Кипас яздо хӀара кехат. Вайн Дела а, КӀелхьардохург а волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан нийсонехула, вайниг санна, деза тешар тӀеэцначаьрга яздо ас.</verse>
				<verse number="2">Дела а, вайн Веза Эла волу Ӏийса а вовзарехь Делан дика а, синпаргӀато а совйолийла шун.</verse>
				<verse number="3">Ӏийсагахь болчу Делан ницкъо оьшуш мел дерг делла вайна баккъалла а суьпа дахархьама, хӀунда аьлча Шен сийлаллица а, оьздангаллица а вайга Кхайкхийнарг вевза вайна.</verse>
				<verse number="4">Ша лур ду аьлла сийлахь а, деза а совгӀаташ делла Цо вайна Шен сийлаллехула а, оьздангаллехула а, уьш бахьана долуш, хьарамчу лаамаша дуьнен чохь лелачу талхарна гена а девлла, шу Деле терра хилийтархьама.</verse>
				<verse number="5">Цундела аша берриг а ницкъ тӀебахийта шайн тешар оьздангаллица совдаккхархьама. Ткъа оьздангалла кхетамца совъяккха.</verse>
				<verse number="6">Кхетам юхаозадаларца а, юхаозадалар собарца а, собар суьпаллица а совдаккха.</verse>
				<verse number="7">Суьпалла вежараллица а, вежаралла безамца а совдаккха.</verse>
				<verse number="8">Нагахь и дерриг а, шуьца дан а долуш, алсамдолуш делахь, вайн Веза Эла, Дала леррина къобалвина Ӏийса вовзарехь кхиам а, стом а боцуш дуьсур дац шу.</verse>
				<verse number="9">Ткъа иза шеца доцург бӀаьрзе ву. Цунна хӀумма а гур дац. Цо дицдина хьалхалерчу къинойх ша цӀанвар.</verse>
				<verse number="10">Цундела, вежарий, кхидӀа а хьовсалаш Дала шаьш тӀекхайкхар а, харжар а бакъ хилар гайта. Иштта хилахь, цкъа а галдевр дац шу.</verse>
				<verse number="11">Иштта карор бу шуна вайн Везачу Элан, КӀелхьардохучун, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан даим йолчу пачхьалкхе кхочу маьрша некъ.</verse>
				<verse number="12">Цундела ас иза гуттар а дагахь латтор ду, цунах дерг шуна хаахь а, шайна деллачу бакъдолчунна тӀехь шу чӀагӀдина делахь а.</verse>
				<verse number="13">Суна нийса хета, хӀара дегӀан чарх айса мел лелайо, дагалецамашца шу карзахдахар.</verse>
				<verse number="14">Вайн Везачу Эло, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас сайга схьа-ма-хаийттара, хаьа суна кестта сайн са дегӀах къаста дезаш хилар.</verse>
				<verse number="15">Со шух къаьстинчул тӀаьхьа а, и дерриг а шуна дагахь латтийта, сайн ницкъ кхочург дийр ду ас.</verse>
				<verse number="16">ХӀунда аьлча нехан мекарчу туьйранех тардина ца дийцина оха шуна, вайн Дала леррина къобалвина Ӏийса-Эла вогӀур ву аьлла. Тхо тхаьш Цуьнан сийлалла гина тешаш ду.</verse>
				<verse number="17">ХӀунда аьлча Да волчу Делера схьаэцна Цо сий а, дозалла а, Шена тӀе уггар лакхарчу Паччахьера аз деача: «Иза Суна дукхавезаш волу Сан кӀант ву, Цуьнца бу Сан лаам!»</verse>
				<verse number="18">Стигалара деана и аз тхуна хезира, Ӏийсаца безачу лам тӀехь тхо долуш.</verse>
				<verse number="19">Тхуна хаьа пайхамарийн дош билггала бакъ дуйла. Цу дашна тӀе тидам бахийтар тоьлуш ду шуна. Боданехь йолу серло санна, ду иза, серлаяла а йолаелла, Ӏуьйренан седа шун дегнашкахь гучубаллалц.</verse>
				<verse number="20">Уггар хьалха шуна хаа дезаш ду Делан Йозанашкара Делера болу хаам шена ма-хеттара бийцалург цахилар.</verse>
				<verse number="21">ХӀунда аьлча цкъа а Делера болу хаам адаман лаамца беш ца хилла, амма наха, Делан Са шайна чохь а лелош, Делера долу дешнаш дуьйцура.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Халкъана юкъахь харцпайхамарш ма-хиллара, шуна юкъахь а харцхьехамчаш хир бу. Шайн къинойх мах дӀабелла волу Хьалдолу Эла дӀа а тесна, стаг хӀаллакьхуьлуьйту харц хьехамаш чубахьар бу цара. Иза бахьана долуш шайн хӀаллакьхилар гергахьа узур ду цу наха.</verse>
				<verse number="2">Дукхахберш, царах дӀа а тарбелла, телхар бу, уьш бахьана долуш бакъдолчун некъ емалбина хир бу.</verse>
				<verse number="3">Шайн саьхьараллица шух пайда эца хьовсур бу уьш, мекара мотт а буьйцуш. Церан Кхелахо тоххара кийча а ву, уьш ХӀаллакьхуьлуьйтург наб еш а вац.</verse>
				<verse number="4">ХӀунда аьлча къинош летийначу маликашна а геч ца дина Дала. Жоьжахатин бодашка хьовсийна Цо уьш, царна тӀехь кхел яллалц, уьш цигахь буржалш а тоьхна дита.</verse>
				<verse number="5">Хьалха заманахьлера Ӏеса адам хӀаллакдина Дала, тӀе хи а далийтина. Делахь а Далла хьалха нийса хиларх лаьцна болу хьехам бинчу Нохьин доьзалера бархӀ са кӀелхьардаьккхина Цо.</verse>
				<verse number="6">ХӀаллакьян кхел а йина, чим бина дӀаяьхна Цо Седам а, Ӏамор а цӀераш йолу гӀаланаш, Ӏесачу нахана хиндолчун масал гойтуш.</verse>
				<verse number="7">Боьха мел дерг лелочу харцахьарчу нахана юкъахь балехь ваьллина Делан лаамехь волу ЛутӀа кӀелхьарваьккхина Цо.</verse>
				<verse number="8">(ХӀунда аьлча царна юкъахь Ӏийна и Делан лаамехь волу стаг хӀора дийнахь дагахь бала лаьтташ вара, цу наха лело боьха гӀуллакхаш ган а гуш, царах дерг хаза а хезаш.)</verse>
				<verse number="9">Везачу Элана хаьа Шен лаамехь берш церан зенех кӀелхьарбаха а, ткъа Шен лаамехь боцурш царна кхел ен йолчу дийне хьовсийна, таӀзар а деш, латто а,</verse>
				<verse number="10">къаьсттина шайн догӀмийн хьарамчу лаамашна тӀаьхьахӀиттинарш а, шайна тӀехь Деле олалла ца дойтурш а. КӀоршаме а, шайн лаамехь а болу и харцхьехамчаш стигалан сийлаллин бахархошна лен ца кхоьру.</verse>
				<verse number="11">Ткъа доьналлица а, ницкъаца а царал тоьлуш долчу маликаша Везачу Элана хьалха цу нахана вон дош ца олу.</verse>
				<verse number="12">Шайн амалшка хьаьжжина бен ца лелачу луьрачу хьайбанех тера бу и нах. Шайна ца хуург емалдо цара. Схьалеца а, дайа а дуьнен тӀе даьхначу хьайбанех терра, уьш а хӀаллакьхир бу.</verse>
				<verse number="13">Шаьш динчу зуламашна бекхам хир бу царна. Цу нахана моьтту там хилар — дийнан делккъехь долу даар-малар а, сакъерар а, телхина лелар а ду. Сий доцуш а, хӀума сийсаздоккхуш а болчу царна там хуьлу шайн харцонех, шаьш шуьца той дуучу хенахь.</verse>
				<verse number="14">Хьайна хиларх а, къинойх а дуьзна ду церан бӀаьргаш. Сина кӀезиг нах талхабо цара. Церан дегнаш Ӏемина ду саьхьара гӀуллакхаш лело. НеӀалт хилла нах бу уьш.</verse>
				<verse number="15">Нийса некъ дӀатесна, тилабелла болу уьш, харц кхоэ сатуьйсуш висинчу БеӀаран кӀентан БалиӀаман новкъа бевлла.</verse>
				<verse number="16">Амма шен харцонна тӀехь бехке вина БалиӀам. Мотт ца хуучу виркхело, адамийн маттахь йист а хилла, сацийна цу пайхамаран хьекъалх тилар.</verse>
				<verse number="17">Хи доцучу хьостанех а, мохо лаьхкина юьгучу марханех а тера бу харцхьехамчаш. Ӏаьржачу боданехь меттиг ю царна кечйина.</verse>
				<verse number="18">Даздина, даьсса хабарш а дуьйцуш, тилабеллачу нахах хӀинцца дӀакъаьсташ берш дегӀана там лохучу а, телхина долчу а хӀуманашка марзбо цара.</verse>
				<verse number="19">Цу нахана паргӀато яла ваӀда до харцхьехамчаша, талхаран леш шаьш доллушехь — стаг ша мел эшийначун лай ма ву.</verse>
				<verse number="20">Нагахь цхьаболу нах вайн Веза Эла а, КӀелхьардохург а волу Дала леррина къобалвина Ӏийса вовзар бахьана долуш дуьненан айпечу хӀуманех къаьстинехь, ткъа цул тӀаьхьа уьш, юха а вочу хӀуманна тӀе а тевжина, цунна кӀел биснехь, шолгӀа галбевлча, хьалхачул а ледара хир ду церан хьал.</verse>
				<verse number="21">Нийсонан некъ бевзина цахилар гӀолехь дара царна, иза а бевзина, Дала тӀедиллинарг дӀа а тесна, хьалхалерчунна тӀе юхабоьрзучул.</verse>
				<verse number="22">Амма цаьрца хуьлуш дерг кицанехь ма-аллара ду: «ЖӀаьла шен Ӏеттораш тӀе юхадогӀу», кхин а: «ЦӀанйина хьакха хоттала йижа йоьду».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">ХӀара шолгӀа кехат ду ас шуьга яздийриг, сан хьоменаш. Царна тӀехь шун цӀена кхетам самабоккху ас хилларг дагадаийтарца.</verse>
				<verse number="2">Дагахь латтаде шайна хьалха безачу пайхамарша аьлла дешнаш а, КӀелхьардохург волчу Везачу Эло шуна даийтинчу Шен векалшкахула шайна тӀедиллинарг а.</verse>
				<verse number="3">Уггар хьалха шуна хаа деза, тӀаьхьарчу деношкахь богӀур бу шайн хьарамчу лаамашка хьаьжжина бехаш болу нах. Шух кхаьрдаш,</verse>
				<verse number="4">цара бохур ду: «Мичахь ду Иза схьавогӀур ву бохург? Дай кхалха буьйлабеллехь а, массо а хӀума хийца ца луш дуьсу, дуьне кхоьлличхьана ма-хиллара».</verse>
				<verse number="5">Иштта бохучарна дицдан лаьа Делан дашца хьалххе дуьйна стигалш юйла а, латта хих а, хинехула а кхоьллина хилар а.</verse>
				<verse number="6">Делан лаамца цу хенахьлера дуьне, хи а хьадийтина, хӀаллакдина.</verse>
				<verse number="7">Ткъа иштта Делан дашца латтош йолу хӀинцалера стигалш а, латта а даго Ӏалашдеш ду, къематан а, Ӏеса нах хӀаллакбен а де тӀекхаччалц.</verse>
				<verse number="8">Цхьа хӀума дицдан ца деза аша, хьоменаш, Везачу Элан цхьа де эзар шо санна ду, ткъа эзар шо цхьа де санна ду.</verse>
				<verse number="9">Цхьаболчарна ма-моттара, Веза Эла Ша кхочушдийр ду аьлларг юхатоьттуш вац. Амма Иза собаре ву шуьца, хӀунда аьлча Цунна ца лаьа цхьа а хӀаллакьхилийта, ткъа массо а адам, шегара даьллачу вочу хӀуманна дохко а даьлла, Шена тӀедерза лаьа Цунна.</verse>
				<verse number="10">Нахана ца хууш вогӀу къу санна, догӀур ду Везачу Элан де, тӀаккха гӀовгӀанца стигалш къайлаевр ю, стигалахь мел хуьлуш дерг, серла а даьлла, догур ду, латта а, дерриг а цу тӀехь дерг а, даьгна, дӀадер ду.</verse>
				<verse number="11">Нагахь и дерриг а духург хилча, шу муха хила деза? Шун дахар цӀена а, суьпа а хила деза,</verse>
				<verse number="12">Делан де тӀекхачаре сатуьйсуш а, и тӀедар сихдеш а ду шу. Цу дийнахь цӀе летта йолу стигалш юхур ю, стигалахь мел дерг, догуш, дешар ду.</verse>
				<verse number="13">Амма, Дала динчу ваӀдане а хьаьжна, нийсонан цӀа долчу керлачу стигале а, лаьтте а сатуьйсуш ду вай.</verse>
				<verse number="14">Цундела, хьоменаш, цуьнга сатуьйсуш, шайн ницкъ кхочург делаш Далла хьалха бехдалаза а, талхаза а дӀахӀитта а, Цуьнца бертахь хила а.</verse>
				<verse number="15">Вайн Везачу Элан собаре хилар вайн кӀелхьардовлар ларалаш, шена деллачу хьекъалца вайн хьомечу вашас ПахӀала шуьга яз-ма-дарра.</verse>
				<verse number="16">Цо цунах лаьцна дуьйцу шен массо а кехаташ тӀехь. Кхета хала хӀуманаш ду царна тӀехь, цундела кӀорггера хаарш доцучу а, динехь чӀогӀа боцучу а наха, кхидолу Деза Йозанаш санна, талхадо уьш, цу бахьаненна шаьш хӀаллак а хуьлуьйтуш.</verse>
				<verse number="17">Иштта, хьоменаш, хӀара дерриг а довзийтина долу шу ларлолаш, харцхьехамчийн галбаьллачу новкъахула дӀа ца дигийтархьама а, шаьш ондда лаьтташ долчунна тӀера ца дохийтархьама а.</verse>
				<verse number="18">Вайн Веза Эла а, КӀелхьардохург а волу Дала леррина къобалвина Ӏийса вовзарехь а, Цунах схьадолучу диканехь а алсамдовлалаш. Сий ду Цуьнан тахана а, тӀейогӀу йолчу ерриге хенахь а. Амин.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="62">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">Иза юьхьанца дуьйна долуш дара. Тхуна иза хаза а хезнера, тхан бӀаьргашна иза ган а гинера. Тхо цуьнга хьовса а хьаьвсинера, тхан куьйгаш цунах Ӏотта а деллера. Иза дахар луш долу Дош дара.</verse>
				<verse number="2">И дахар гучудаьлча, тхуна иза гира. Цундела цу бакъдолчу дахарх тоьшалла а до, кхайкхам а бо оха. И дахар стигаларчу Дегахь дара, ткъа хӀинца тхуна довзийтина иза.</verse>
				<verse number="3">Тхайна гиначух а, хезначух а лаьцна хаам бо оха шуьга. Оха и дуьйцу, шун а тхоьца уьйр-марзо хилийтархьама. Ткъа тхан уьйр ю Деца а, Цо леррина къобалвинчу Цуьнан КӀантаца Ӏийсаца а.</verse>
				<verse number="4">ХӀара яздо оха, вайн хазахетар кхоччуш дуьззина хилийтархьама.</verse>
				<verse number="5">Тхуна Цуьнан КӀантера хезна болу а, оха шуна дӀакхайкхош болу а кхаъ хӀара бу: Дела — серло ю, Цуьнца цхьа а тайпа бода бац.</verse>
				<verse number="6">Нагахь санна Делаца уьйр ю а бохуш, боданехь лелахь, вай аьшпаш а бутту, бакъдолчуьнца а ца лела.</verse>
				<verse number="7">Амма, нагахь Дела серлонгахь ма-хиллара, вай а серлонгахь лелахь, вайн вовшашца уьйр ю, ткъа Цуьнан КӀант волчу Ӏийсан цӀийно вай массо а къинойх цӀандо.</verse>
				<verse number="8">Нагахь санна вай ваьшца къа дац бахахь, тӀаккха вай цу дешнашца ваьш Ӏехадо, вайца билггал долу бакъдерг а дац.</verse>
				<verse number="9">Нагахь ваьш летийначу къиношна вай даре дахь, Дала вайн къиношна геч а дийр ду, дерриг а бакъдоцучух вай цӀан а дийр ду, хӀунда аьлча Иза тешаме а, бакъ а ву.</verse>
				<verse number="10">Амма вай ваьш къинош ца летийна бахахь, тӀаккха вай Дела харц а во, Цуьнан Дош вайца а дац.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">Сан хьоме бераш, шуьга къинош ца летадайтархьама яздо ас хӀара кехат. Ткъа нагахь цхьаммо къа латадахь, стигаларчу Дена хьалха лаьтташ волу ГӀодийриг ву вайн: Дала леррина къобалвина Ӏийса — Делан лаамехь Верг.</verse>
				<verse number="2">Иза вайн къинош дӀадахаран сагӀа ду. Ткъа и сагӀа, вайн къиношна тӀера тоьъна а ца Ӏаш, дуьнен чуьра массо а адамийн къиношна тӀера тоьар ду.</verse>
				<verse number="3">Ткъа вайна Дела вевзина хиларан тоьшалла до вайна Цо тӀедехкина парзаш вай лардаро.</verse>
				<verse number="4">Шена Дела вевза а бохуш, парзаш лардеш воцург харцлуьйш а ву, цуьнца бакъдерг а дац.</verse>
				<verse number="5">Ткъа Делан дош лардеш волчунна чохь Делан безам билггал буьззина бу. Вай билггал Делаца хиларан билгало иштта ю:</verse>
				<verse number="6">шен Делаца уьйр ю бохург Ӏийса ма-леллара лела веза.</verse>
				<verse number="7">Сан хьоменаш! Ас шуьга яздийриг керла парз дац — иза, баккъалла а аьлча, шира парз ду, юьхьанца дуьйна а шуна Дала делла долу. Шира парз — Дош ду, шуна хезна долу.</verse>
				<verse number="8">ХӀетте а аса яздийриг керла парз хета мега. Дала леррина Къобалвинчо а, аша а гойту иза бакъ хилар, хӀунда аьлча бода дӀаболу, ткъа билггал йолу серло хӀинцале а къегаш ю.</verse>
				<verse number="9">Ша серлонгахь лела а бохуш, ткъа шен динан веше цабезам берг хӀинца а боданехь лела.</verse>
				<verse number="10">Ткъа шен динан вежарий безаш верг серлонгахь Ӏаш ву — стаг галволуьйтуш дерг а дац цуьнца.</verse>
				<verse number="11">Амма шен динан ваша цавезарг боданехь ву. Иза боданехь лела гӀерташ ву. Цунна шена а ца хаьа, ша мича воьду, хӀунда аьлча цу бодано иза бӀарзвина.</verse>
				<verse number="12">Ас яздо шуьга, сан хьоме бераш, Дала леррина Къобалвинчо динарг бахьана долуш шун къиношна гечдина дела.</verse>
				<verse number="13">Ас яздо шуьга, дайшка, юьхьанца дуьйна волуш Верг шуна вевза дела. Ас яздо шуьга, къонахошка, иблисал шу тоьлла дела.</verse>
				<verse number="14">Ас яздина шуьга, сан динан бераш, стигалара Да шуна вевзина дела. Ас яздина шуьга, дайшка, юьхьанца дуьйна волуш Верг шуна вевзина дела. Ас яздина шуьга, къонахошка, шу доьналла долуш долу дела а, Делан Дош шун даг чохь лаьтташ долу дела а, иблисал шу тоьлла долу дела а.</verse>
				<verse number="15">ХӀара дуьне а, цунна чохь мел дерг а ма дезалаш! Нагахь санна цхьаъ хӀара дуьне дезаш велахь, стигаларчу Ден безам цуьнца бац.</verse>
				<verse number="16">ХӀара ду дуьнен чохь мел долу хӀума: къилахь болу лаамаш хилар, адамийн цхьана хӀуманна бӀаьрган хьагам хилар, адамаша шайн долчух а, шаьш динчух а куралла яр. Ткъа стигалахь волчу Дегара дац уьш — кху дуьненара ма ду и дерриге а.</verse>
				<verse number="17">Дуьне а, дуьненан лаамаш а дӀабевр бу, ткъа Делан лаам кхочушбеш мел волчун хедар доцу дахар ду.</verse>
				<verse number="18">Сан динан бераш! ХӀара кху дуьненан тӀаьхьара зама ю. Шуна хезнера, Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал верг вогӀур ву аьлла. Ткъа хӀинцале а дукха баьржина Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал берш. Цунах хаьа вайна, хӀара билггал тӀаьхьара зама юйла.</verse>
				<verse number="19">И дуьхьал берш, цкъа вайн гуламна юкъахь а хилла, хӀинца вайна юкъара дӀабевлла. Бакъдерг аьлча, уьш цкъа а бацара вайна юкъабогӀуш. Нагахь уьш билггал вайна юкъара хиллехьара, уьш вайца буьсур бара. Амма уьш вайна юкъара дӀабовларо гойту, царах цхьа а билггал вайна юкъавогӀуш ца хилар.</verse>
				<verse number="20">Ткъа шу Дала Вазвинчо къобалдина ду, цундела шуна массарна а бакъдерг хаьа.</verse>
				<verse number="21">Шуна билггал долу бакъдерг ца хаьа аьлла, ца яздо ас шуьга. Мелхо а, ас яздо шуьга, шуна и бакъдерг хаьа дела а, иштта цу бакъдолчуьнца цхьа а харцдерг доцийла шуна хаьа дела а.</verse>
				<verse number="22">Ткъа мила ву уггар харцлуьйриг? Иза ву Ӏийса Дала леррина Къобалвинарг хилар тӀе ца лоцург. Иштта стаг Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал верг ву — стигалара Да а, Делан КӀант а тӀе ца лоцу цо.</verse>
				<verse number="23">Делан КӀант къобал ца вечу хӀораммо а стигалара Да а къобал ца во. Ткъа Делан КӀант къобалвечо стигалара Да а къобалво.</verse>
				<verse number="24">Шайна юьхьанца дуьйна хезнарг даим а латтаде шайн даг чохь. Нагахь санна иза иштта хилахь, Делан КӀантаца а, Цуьнан Деца а йолу шун уьйр даим а лаьттар ю.</verse>
				<verse number="25">Ткъа Цо вайна лур ду аьлла ваӀда ду: хедар доцу дахар.</verse>
				<verse number="26">ХӀара ас яздина шу ледан лууш болчарах лаьцна шуьга дӀахьедан.</verse>
				<verse number="27">Амма шу Делан КӀанта къобалдина ду, ткъа иза шуьца дуьсу. Цундела шуна кхин хьехархо ца оьшу — цу къобалдаро шуна дерригенах лаьцна хьоьху. Ткъа иза харц дац — иза билггал бакъдерг ду. Иштта, Дала леррина Къобалвинчуьнца хила даим а, Цо шайна ма-хьеххара.</verse>
				<verse number="28">Иштта, сан хьоме бераш, кхидӀа а хилалаш Цуьнца, Иза веанчу хенахь шаьш доьналла долуш хилийта а, Цунна хьалха шайна эхь ца хетийта а.</verse>
				<verse number="29">Нагахь шайна Иза Делан лаамехь Верг вуй хууш хилча, хаалаш, хӀора Делан лаамехь лелаш верг Делах схьаваьлла вуйла а.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">Хьовсийша, мел кӀоргге дезна вай стигаларчу Дена. Вайх Делан бераш ду аллал боккха бу Цуьнан безам. Иштта, вай билггал Цуьнан бераш ду. Амма дуьненна вай ца девза, хӀунда аьлча стигалара Да ца вевзина цунна.</verse>
				<verse number="2">Сан хьоменаш! ХӀинца вай Делан бераш ду, амма кхул тӀаьхьа вайх муьлш хир ду цкъа хӀинца а дӀа ца делладелла вайна. Вайна хаьа, Дала леррина Къобалвинарг веанчу хенахь, вай а Цунах терра хир дуй, Иза Ша ма-варра вайна гун волу дела.</verse>
				<verse number="3">Иштта Цунах сатийсар долуш Ӏаш волчу хӀораммо а ша цӀанво, И санна цӀена хилархьама.</verse>
				<verse number="4">Къинош летош мел верг Ӏеса лелаш ву, ткъа къинош летор Ӏесалла ду.</verse>
				<verse number="5">Шуна ма хаьа, Иза къинош дӀаэцархьама веана хилар. Ткъа Цуьнца шеца-м къинош дан а дац.</verse>
				<verse number="6">Цуьнца волчо цхьаммо а къа ца латадо. Ткъа къа латош болчех цхьанна а Иза ган а ца гина, Иза вовза а ца вевзина.</verse>
				<verse number="7">Сан хьоме бераш! Цхьаммо а нийсачу новкъа тӀера шу дӀа ма дохийла! Делан лаамехь лелаш верг — Делан лаамехь ву, Дала леррина Къобалвинарг а Делан лаамехь ма-хиллара.</verse>
				<verse number="8">Къа латориг иблисах схьаваьлла, хӀунда аьлча иблисо юьхьанца дуьйна а къа латадо. Цундела Делан КӀант веана цу иблисан гӀуллакхаш дохорхьама.</verse>
				<verse number="9">Делах схьаваьлла волчо цхьаммо а къа ца латадо, Делан хӀух схьа а ваьлла, шен амал Цуьнан амалх тера йолу дела. Ткъа ша Делах схьаваьлла хиларна, цуьнга къа ца латало.</verse>
				<verse number="10">Делан бераш а, иблисан бераш а вовшах иштта къастало. Делан лаамехь мел воцург а, шен динан ваша цавезарг а Делан бер дац.</verse>
				<verse number="11">Юьххьехь дуьйна а вайна кхайкхийна болу хаза кхаъ вай вовшийн дезаш хила деза аьлла бу.</verse>
				<verse number="12">Кхаим санна ма хилалаш, иза иблисан долахь а вара, цо шен ваша а вийра. Ткъа хӀунда вийра цо иза? Шен гӀуллакхаш зуламе хилла дела, ткъа цуьнан вешин гӀуллакхаш Делан лаамехь долу гӀуллакхаш хилла дела.</verse>
				<verse number="13">Динан вежарий, цец ма дийлалаш, нагахь дуьненна шаьш ца дезалахь.</verse>
				<verse number="14">Вайна-м хаьа, ваьшна динан вежарий беза дела, вай, деллачуьра ден а делла, бакъдолчу дахаре девллийла. Ткъа шен ваша цавезарг хӀинца а Ӏожаллин карахь ву.</verse>
				<verse number="15">Шен динан ваша цавезарг адам дуьйш верг санна ву. Ткъа шуна-м хаьа, адам дуьйш долчу цхьана а адаман Делаца долу дахар ца хуьлийла.</verse>
				<verse number="16">Амма Ӏийсас вайн дуьхьа Шен са дӀадалар бахьанехь, бевзина вайна безам. Вай а кийча хила деза вешан динан вежарийн дуьхьа са дӀадала.</verse>
				<verse number="17">Нагахь цхьаннан, ша дика хьал долуш вехаш воллушехь, халла воллучу шен веше къинхетам бацахь, тӀаккха Делан безам муха хир бу цуьнца?</verse>
				<verse number="18">Сан хьоме бераш! Дашца а, маттаца а доцуш, гӀуллакхца а, билггал долчу бакъдолчуьнца а дезийла вайна вовшийн.</verse>
				<verse number="19">Иштта вайна хаа тарло, ваьш билггал бакъдолчух дуйла. Цундела Цунна хьалха вешан дегнаш тедан тарло вай,</verse>
				<verse number="20">вешан дегнаша вайна кхел еш елахь а. Дела вайн дегнел а сов ву, Цунна дерриг а хаьа.</verse>
				<verse number="21">Сан хьоменаш! Нагахь санна вайн дегнаша ваьшна кхел еш ца хилча, Далла хьалха доьналла долуш хила таро ю вайн.</verse>
				<verse number="22">ТӀаккха, Цуьнан весеташ кхочуш а деш, Делан лаамехь вай леларна, хӀуъа а вай дехнарг лур ду Цо вайна.</verse>
				<verse number="23">Ткъа Делан весет ду: Цуьнан КӀант волчу, Цо леррина къобалвинчу Ӏийсан цӀарах а тешаш, Цо вайна тӀе-ма-диллара, вайна вовшийн дезар.</verse>
				<verse number="24">Делан весеташ кхочушдеш верг Делаца ву, Дела а ву цуьнца. Ткъа Иза вайца хилар вайна хаьа, Цо вайна деллачу Синехула.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">Сан хьоменаш! Муьлх-муьлххачу а синах ма тешалаш, амма и синош таллалаш, уьш Делера дуй те а хьожуш. ХӀунда аьлча дуьнен чохь дукха харцпайхамарш баьржина.</verse>
				<verse number="2">Делан Са иштта къасталур ду шуьга: Дала леррина къобалвина Ӏийса, адам санна, веана хилар къобалдо са — Делера ду.</verse>
				<verse number="3">Ткъа Ӏийса къобалвеш доцу са — Делера дац, иза — Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал волчун са ду. Шуна хезна, иза догӀур ду аьлла, иза хӀинцале а долуш а ду дуьнен чохь.</verse>
				<verse number="4">Сан хьоме бераш! Шу Делера ду. Шу тоьлла харцпайхамарел, хӀунда аьлча шуьца Верг нуьцкъала ву кху дуьненахь олалла деш волчул.</verse>
				<verse number="5">Уьш кху дуьненара бу, цара а кху дуьненара болчара боххург боху, дуьнено ла а дугӀу цаьрга.</verse>
				<verse number="6">Амма вай Делера ду. Дела шена вевзачо вайга ла а дугӀу. Ткъа ша Делера воцучо вайга ла ца дугӀу. Иштта къастало вайга билггал бакъдолу са а, адам тилош долу са а.</verse>
				<verse number="7">Сан хьоменаш! Вай вовшийн дезийла, хӀунда аьлча безам Делера бу. ХӀора шеца безам болуш верг Делах схьаваьлла ву, цунна Дела а вевза.</verse>
				<verse number="8">Шеца безам боцучунна Дела ца вевза, хӀунда аьлча Дела Ша а безам бу!</verse>
				<verse number="9">Дала Шен вайга болу безам гайтина, Шен цхьаъ бен воцу КӀант кху дуьнен чу а ваийтина, Цуьнгахула вайн бакъдолу дахар хилийтархьама.</verse>
				<verse number="10">Бакъболу безам иштта бу: вайна Дела везар бахьанехь а доцуш, амма Далла вай дезарна, Цо Шен КӀант ваийтира вайн къинош дӀадахаран сагӀа санна.</verse>
				<verse number="11">Сан хьоменаш! Далла вай оццул дукха дезаш хилча, вай вовшийн дезаш хила а деза.</verse>
				<verse number="12">Дела цхьанна а, цкъа а гина вац. Амма вайна вовшийн дезаш хилча, Дела Ша а вайца ву, ткъа вайна чохь Цуьнан безам а билггал буьззина бу.</verse>
				<verse number="13">Вайн Делаца хилар а, Иза вайца хилар а вайна хаьа, Цо вайх Шен Синан декъашхой дина дела.</verse>
				<verse number="14">Ткъа вайна ган а гира, вай тоьшалла а до Дас Шен КӀант дуьнен чуьра адамаш КӀелхьардохург санна ваийтина хиларх.</verse>
				<verse number="15">Нагахь цхьаммо Ӏийса Делан КӀант хиларх тоьшалла дахь, цуьнца Дела а ву, ткъа иза Делаца а ву.</verse>
				<verse number="16">Ткъа вайна Делан ваьшга болу безам бовза а бевзина, вай цунах теша а тешна. Дела Ша а безам бу. Безамца верг Делаца а ву, Дела цуьнца а ву.</verse>
				<verse number="17">Вайна чохь безам буьззина хилар иштта гучудолу: вай къематан дийнахь доьналла долуш хир ду, вай кху дуьнен чохь Иза санна лела дела.</verse>
				<verse number="18">Безамца кхерам а бац. Ткъа буьззина бакъболчу безамо кхерам дӀатотту, хӀунда аьлча кхерам гуттар а таӀзарца боьзна хуьлу. Кхоьруш волчун буьззина бакъболу безам бац.</verse>
				<verse number="19">Вайна Иза веза, дуьххьара Цунна ваьш дезна дела.</verse>
				<verse number="20">Суна Дела веза а бохуш, ткъа шен динан ваша цавезарг аьшпаш буттуш ву. ХӀунда аьлча шена дуьхьал лаьтташ волу шен динан ваша цавезачунна, шена гуш воцу Дела а везалур вац!</verse>
				<verse number="21">Цо вайна дитина долу весет иштта ду: «Дела везаш верг шен динан ваша а везаш хила веза».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">Ӏийса Дала леррина Къобалвинарг хиларх тешаш волу хӀора а Делах схьаваьлла ву. Ткъа динан бераш кхуллуш волу Дела везачу хӀоранна а Делах даьлла долу бераш а деза.</verse>
				<verse number="2">Делан бераш вайна дезаш хилар вайна гойту, Дела а везаш, Цуьнан весеташ вай кхочушдаро.</verse>
				<verse number="3">ХӀунда аьлча Деле безам хилар — Делан весеташ кхочушдар ду. Ткъа Делан весеташ кхочушдан тӀех хала а дац,</verse>
				<verse number="4">хӀунда аьлча ша Делах схьаваьлла мел волчо дуьненна тӀехь толам боккху. Ткъа дуьненна тӀехь баьккхина болу и толам вайн тешар бахьана долуш баьккхина бу.</verse>
				<verse number="5">Ӏийса Делан КӀант ву аьлла, тешаш волчо бен кхин хьан боккхур бара кху дуьненна тӀехь толам?</verse>
				<verse number="6">ХӀара ву хица а, цӀийца а Веанарг: Дала леррина къобалвина Ӏийса. Иза хица веана а ца Ӏаш, амма хица а, цӀийца а веана ву. Ткъа Делан Сино тоьшалла до цунах, хӀунда аьлча Делан Са билггал долу бакъдерг ду.</verse>
				<verse number="7">Кхо теш ву:</verse>
				<verse number="8">Делан Са а, хи а, цӀий а. Цу кхааммо а оцу цхьана хӀуманах цхьатерра тоьшалла до.</verse>
				<verse number="9">Вай теша адамаша дечу тоьшаллех, ткъа Делан тоьшалла дуккха а нуьцкъала ду. Дала Ша тоьшалла дина Шен КӀантах лаьцна.</verse>
				<verse number="10">Делан КӀантах тешаш волчун и тоьшалла даг чохь ду. Ткъа ша Делах цатешачо Дела аьшпаш буттург во, хӀунда аьлча иза Дала Шен КӀантах аьллачух ца теша.</verse>
				<verse number="11">И тоьшалла иштта ду: Дала вайна хедар доцу дахар делла. Ткъа и бакъдолу дахар Цуьнан КӀантаца ду.</verse>
				<verse number="12">КӀантаца уьйр йолчун бакъдолу дахар ду. Ткъа КӀантаца уьйр йоцучун бакъдолу дахар дац.</verse>
				<verse number="13">Аса хӀара яздина шуьга, Делан КӀантах шу тешаш хиларна, шун бакъдолу дахар дуйла шуна дӀахаийтархьама.</verse>
				<verse number="14">Иза бахьана долуш Далла хьалха доьналла долуш хила таро ю вайн. Нагахь вай Цуьнан лаамехь долу цхьа хӀума Цуьнга дехахь, Цунна вай бохург дӀахезар ду.</verse>
				<verse number="15">Вай деххнарг хӀуъа а Цунна дӀахезаш хилар хууш хилча, вайна хаьа, доьхуш дерг вайн долуш дуйла.</verse>
				<verse number="16">Нагахь цхьанна шен динан вашас валарна доцу къа латош гуш делахь, тӀаккха цо доӀа дан деза. Ткъа Дала дахар лур ду цунна. Аса бохурш валаре далош доцу къинош ду. Амма къиношна юкъахь валаре далош долу къа а ду, цунна тӀера деха ца боху аса.</verse>
				<verse number="17">Муьлхха а харцдерг къилахь ду. Амма валаре далош доцу къинош а ду.</verse>
				<verse number="18">Вайна хаьа, ша Делах схьаваьлла волчу цхьаммо а къа ца латадойла. Ткъа Делах схьаваьлла Волчо иза ларво — иблисе зе ца дало цунна.</verse>
				<verse number="19">Вайна хаьа вай Делан долахь хилар а, дерриге а дуьне иблисан карахь хилар а.</verse>
				<verse number="20">Иштта вайна хаьа, Делан КӀанта, ван а веана, кхетам ваьшна беллийла, билггал бакъволу Дела вайна вовзийтархьама. Ткъа вай, бакъволчу Делаца хилла а ца Ӏаш, Цо леррина къобалвинчу Цуьнан КӀантаца Ӏийсаца а ду. Иза ву билггал бакъволу Дела а, бакъдолу дахар а!</verse>
				<verse number="21">Сан хьоме бераш! ЦӀуйх ларделаш шаьш.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="63">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">Тхьамда волчу аса яздо хаьржина зуда йолчу хьоьга а, хьан берашка а. Суна шу баккъал а деза, ткъа суна дезна а ца Ӏаш, билггал долу бакъдерг девзинчу массарна а дезаш ду шу.</verse>
				<verse number="2">ХӀунда аьлча билггал бакъдерг вайца долуш а ду, абадехь хир а ду.</verse>
				<verse number="3">Да волчу Делера а, Ден КӀант волчу Цо леррина къобалвинчу Ӏийсагара а долу дика а, къинхетам а, синпаргӀато а хир ю билггал долу бакъдерг девзаш а, вовшийн дезаш а долчу вайца.</verse>
				<verse number="4">Суна чӀогӀа хазахийтира, вайга стигаларчу Дас весет ма-дарра, хьан берех цхьадерш билггал бакъдолчуьнца лелаш хилар.</verse>
				<verse number="5">Ткъа хӀинца ас яздо хьоьга, зуда, керла а доцуш, амма юьхьанца дуьйна а хиллачу весетах лаьцна. И весет вай вовшийн дезаш хила деза аьлла ду.</verse>
				<verse number="6">(Ткъа безам иштта бу: стигаларчу Ден весеташ лар а деш, вай лелар.) Иза шуна юьхьанца дуьйна а хезна долу весет ду, и лардеш шу лелийтархьама.</verse>
				<verse number="7">ХӀунда аьлча адамаш Ӏехош болу дуккха а нах баьржина дуьнен чохь. Цара Дала леррина къобалвина волу Ӏийса, адам санна, дуьнен чу валар тӀе ца дуьту. Иштта волу хӀора стаг адамаш Ӏехориг а, Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал верг а ву.</verse>
				<verse number="8">Къа а хьегна, вай даьккхинарг, аша дайа а ца дойуш, цунах юьззина ял шайна схьаэца хьовсалаш.</verse>
				<verse number="9">Дала леррина Къобалвинчун хьехамаша бохучунна тӀе а детташ, уьш лар а ца беш волчу муьлххачун а Делаца уьйр яц. Дала леррина Къобалвинчун хьехамаш лар а беш, Ӏаш волчун Деца а, КӀантаца а уьйр ю.</verse>
				<verse number="10">Нагахь шеца и хьехамаш а боцуш, ткъа кхин хьехамаш бахьаш цхьаъ шу долчу вагӀахь, аша цӀа чу а ма вита иза, цуьнга маршалла а ма хатта.</verse>
				<verse number="11">ХӀунда аьлча цуьнга маршалла хоттуш верг цуьнан зуламечу гӀуллакхийн декъашхо хуьлу.</verse>
				<verse number="12">Дуккха а дара сан шуьга яздан, амма иза шекъанца кехата тӀехь яздан ца лаьа суна. Ткъа аса сатуьйсу, шу долчу а веана, юьхь-дуьхьал а волуш, дерриг а дӀадийцаре, вай даккхийдер кхоччуш дуьззина хилийтархьама.</verse>
				<verse number="13">Маршалла доуьйту хьоьга хаьржина йолчу хьан йишин бераша а.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="64">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">Тхьамда волчу аса яздо хьоьга хӀара кехат, сан хьоме Гаяс. Суна хьо билггал дукхавеза.</verse>
				<verse number="2">Сан хьоме доттагӀа, ас доӀа до, хьо могуш-маьрша хилийтар а, массо а агӀор хьан дика хилийтар а доьхуш, хьан синан агӀо дика ма-хиллара.</verse>
				<verse number="3">Суна чӀогӀа хазахийтира, цхьаболчу динан вежарша, кхуза а баьхкина, тоьшалла дича, хьо билггал долчу бакъдолчунна тешаме а ву, цуьнца хьо кхидӀа а лелаш ву аьлла.</verse>
				<verse number="4">Суна массо а хӀуманал хазахеташ дерг ду, сан динан бераш гуттара а билггал бакъболчу некъахула лелар.</verse>
				<verse number="5">Сан хьоме доттагӀа, динан вежаршна дечу гӀуллакхашна тӀехь хьо чӀогӀа тешаме ву, уьш хьайна бевзаш а боццушехь!</verse>
				<verse number="6">Кхузахь йолчу динан тобанна хьалха цара тоьшалла дира хьан безамах. Далла хазахетачу тайпана уьш новкъа бахар дика хир дара хьуна.</verse>
				<verse number="7">Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа буьйлабелла лелаш ма бу уьш, дин доцучу нахе гӀо а ца доьхуш.</verse>
				<verse number="8">Цундела вай, динан вежарша, ишттачу нахана оьшшург дӀадала деза, вай ваьш а бакъдолчун дуьхьа цара дечу гӀуллакхийн декъахь хилархьама.</verse>
				<verse number="9">Хьо вехачохь йолчу динан тобане кехат яздинера ас, амма Дайтарпана со къобал ца во, хӀунда аьлча цунна динан тобанан коьртехь ша хила лаьа.</verse>
				<verse number="10">Цундела со шу долчу веача, аса динан тобане ма-дарра дӀадуьйцур ду Дайтарпана лелочух лаьцна. Цо тхох лаьцна харцдерг дуьйцу, ткъа, иза дина а ца Ӏаш, тхан динан вежарий тӀе а ца оьцу цо. Иштта цо новкъарло йо оцу тобанехь болу и динан вежарий тӀеэца лууш болчарна а. Цо уьш динан тобанна юкъара дӀа а боху.</verse>
				<verse number="11">Хьоме доттагӀа! Зулам лелочарах тар ма лолахь, амма дика дечу адамех тера хилалахь. Дика дечун гӀуллакхаша гойту — иза Делера хилар. Ткъа зулам лелочун гӀуллакхаша гойту — цунна Дела гина ца хилар.</verse>
				<verse number="12">Динан тобанна юкъарчу хӀораммо а тоьшалла до Дамарти дика стаг хиларх. Бакъдолчо а тоьшалла до цунах. Иштта оха а тоьшалла до иза дика стаг хиларх. Ткъа шуна-м хаьа, оха до тоьшалла бакъ дуйла.</verse>
				<verse number="13">Кхин дуккха а хӀума дара сан хьоьга яздан, амма шекъанца кехата тӀехь яздан ца лаьа суна иза.</verse>
				<verse number="14">Аса дог доху, кестта хьо гаре, юьхь-дуьхьал а волуш, вовшашца къамел дархьама.</verse>
				<verse number="15">Маьрша Ӏойла хьо! Хьан доттагӀаша маршаллаш доуьйту хьоьга. Хьан тобанехь волчу хӀоранга а шен-шен цӀарах маршалла далар доьху ас.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="65">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан лено, Якъубан вашас, ЯхӀуда Дала тӀекхайкхинчу а, Да волчу Далла безачу а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас ларбечу а нахе:</verse>
				<verse number="2">Делан къинхетам а, синпаргӀато а, безам а совболийла шуна юкъахь.</verse>
				<verse number="3">Хьоменаш! Вайн массеран а кӀелхьардовларх яздан кӀорга лаам боллушехь, шуьга, цкъа массо а ханна Дала Шен нахана делла долу дин чӀагӀдарехьа къийсам латтабе аьлла, яздан дезаш хийтира суна,</verse>
				<verse number="4">хӀунда аьлча шуна уллохь хӀилланца нисбелла цхьа Ӏеса нах. Дукха хенахь дуьйна Делан Йозанашкахь дӀаяздина ду, Дала царна кхел йийр ю аьлла. Вайн Делан маьхза долчу диканах лаьцна болу кхаъ харцахьа берзийна цара, шайн маьттаза лелар бакъдархьама. Ткъа цхьаъ бен воцу вайн Хьалдолу а, Веза а Эла, Дала леррина къобалвина Ӏийса, тӀе ца оьцу цара.</verse>
				<verse number="5">Шуна иза хууш делахь а, шуна дагадаийта лаьа суна, Везачу Эло Мисар-махкара Шен халкъ арадаккхар а, амма тӀаьхьо халкъана юкъара Шех цатешнарш хӀаллакбар а.</verse>
				<verse number="6">Иштта шуна дагадан деза, шайн даржана реза ца хилла а, шайн хӀусам дӀатесна а долу маликаш, гуттаренна а йолчу ханна буржалш а тоьхна, боданехь латтадо Цо доккхачу къематдийнахь кхел ярхьама.</verse>
				<verse number="7">Дагахь латтаде иштта, и маликаш санна, телхина яра Седам а, Ӏамор а, царна гонахара гӀаланаш а. Маьттаза хӀуманаш лелийна йолу а, боьха гӀуллакхаш лело лууш йолу а уьш гуттаренна а йогуш йолчу цӀеран таӀзаран кхелана йитина ю кхечарна масална.</verse>
				<verse number="8">Иштта сатийсаре бевллачу кху наха шайн догӀмаш а бехдо, хьаькамаш а ца лору, стигалан сийлаллин бахархой а емалбо.</verse>
				<verse number="9">Мусан докъах лаьцна ша иблисаца къуьйсучу хенахь коьртачу Микаал-малико, Ӏоттар еш бехке хӀума ала а ца даьхьна, иштта аьлла: «Везачу Эло таӀзар дойла хьуна».</verse>
				<verse number="10">Амма кху наха шайна цахуург емалдо. Шайн амалшка хьаьжжина, шаьш, луьра дийнаташ санна, кхета хӀуманаш бахьана долуш цара шаьш хӀаллакбо.</verse>
				<verse number="11">Къа ду церан, хӀунда аьлча Кхаиман новкъахула боьлхура уьш, БалиӀам санна, кхаьънашка марзбелира уьш, Кхорахь санна, гӀевттира уьш, ткъа иза санна, хӀаллак а хир бу уьш.</verse>
				<verse number="12">Шун бертан пхьорашкахь цу наха шу юьхьӀаьржачу хӀиттадо. Эхь ца хеташ, шуьца шуьнехь Ӏаш бу уьш, амма шайн бен бала хир бац церан. Мохо лело, догӀа доцу мархаш ю уьш, стом боцу гуьйренан дитташ ду, шаьш лаьттах орамашца схьадахарна шозза делла долу.</verse>
				<verse number="13">Шайн эхьечу гӀуллакхийн чопа тӀеяьлла йолу хӀордан буьрса тулгӀенаш ю уьш, кхерста седарчий ду уьш, гуттар а лаьттачу Ӏаьржачу боданехь меттиг кечйина долу.</verse>
				<verse number="14">Адаман ворхӀалгӀачу тӀаьхьенах волчу ХӀаноха а Делера болу хаам бина царах: «Веза Эла ву Шен дагар ца даллал дукха долчу дезачу маликашца вогӀуш</verse>
				<verse number="15">массарна а кхел ян а, адамашна юкъара Ӏеса нах цара дина Ӏеса гӀуллакхаш бахьанехь а, Далла дуьхьал аьлла кӀоршаме дешнаш бахьанехь а уьш бехке бан а».</verse>
				<verse number="16">Цхьана а хӀуманна реза а боцуш, шайн вочу лаамашка хьаьжжина а лелаш, хамталлаш еш болу нах бу уьш. Дегала дешнаш ду церан багахь. Шайн аьттонна нахана хьестало уьш.</verse>
				<verse number="17">Амма аша, хьоменаш, дагахь латтаде вайн Везачу Элан, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан векалша хир ду аьлларг.</verse>
				<verse number="18">Цара бехира шуьга, тӀаьхьарчу хенахь богӀур бу шайн Ӏесачу лаамашка хьаьжжина лелаш, кхаьрдаш болу нах.</verse>
				<verse number="19">Шу вовшах а къоьстуьйтуш, шайн синойн лаамашна тӀаьхьабевлла лела нах бу уьш. Цаьрца Делан Са дац.</verse>
				<verse number="20">Ткъа аша, хьоменаш, шайн уггар дезачу динехь чӀагӀ а луш, Делан Синан гӀоьнца доӀанаш а деш,</verse>
				<verse number="21">Делан безамехь шаьш Ӏалашде, вайн Везачу Эло, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас, Шен къинхетамца Дела волчохь хедар доцу дахар даларе а хьоьжуш.</verse>
				<verse number="22">Шеко йолуш болчаьрца къинхетаме хила,</verse>
				<verse number="23">вуьш, цӀергара схьа а бохуш, кӀелхьарбаха, ткъа кхечаьрца, лар а луш, къинхетаме хила, амма церан хьарамчу сино сийсазйина бедар ма еза.</verse>
				<verse number="24">Шу охьаэгарх лардан а, цӀена а долуш, доккхачу хазахетарца Шен сийлаллина хьалха хӀотто а ницкъ бу Делан.</verse>
				<verse number="25">Цхьаъ бен воцучу а, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула вай кӀелхьардохучу а Далла сий а, паччахьалла а, ницкъ а, олалла а хуьлийла, азалера дуьйна а, хӀинца а, абаденналц а. Амин.</verse>
			</chapter>
		</book>
		<book number="66">
			<chapter number="1">
				<verse number="1">Шен ялхошна кестта хила дезарг довзийтархьама, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула гучуяьккхира Дала и къайле. Цо иза Шен ялхо волчу Яхьъяга дӀахаийтира, цунна тӀе Шен малик а дахийтина.</verse>
				<verse number="2">Яхьъяс ма-дарра дийцира Делан дашах а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас динчу тоьшаллех а лаьцна шена мел гинарг.</verse>
				<verse number="3">Декъала ву хӀара Делера бинчу хааман дешнаш доьшург. Декъала бу, цу хааме ла а дугӀуш, хааман тептар тӀехь яздинарг лардийраш, и дерриге а кестта хир долу дела.</verse>
				<verse number="4">Векал волчу Яхьъяс Асиа-махкарчу динан ворхӀ тобане яздо: Делан дика а, синпаргӀато а хуьлийла шуна даим волуш волчу а, хилла волчу а, вогӀун волчу Делера а, иштта Цуьнан Ӏаршана хьалха лаьтташ долчу ворхӀ синера а,</verse>
				<verse number="5">билггала бакъволу теш волчу а, дуьххьара беллачарна юкъара денвелла волчу а, лаьттарчу паччахьийн Олахо волчу а Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а. Вай дукха а дезаш, вайн къинойх Шен цӀийца вай кӀелхьара а даьхна,</verse>
				<verse number="6">Цо вайх динан дайн пачхьалкх йина, Шен Да волчу Далла хьалха вайга гӀуллакх дайтархьама. Сийлалла а, нуьцкъалалла а хуьлийла Цуьнан ерриг а тӀейогӀучу заманна. Амин.</verse>
				<verse number="7">Хьажал, Иза мархашца охьавуссур ву, тӀаккха массарна гур а ву Иза, ур-атталла Цунах гоьмукъ чекхбаьккхинчарна а тӀехь. Лаьттарчу дерриге а тукхамаша белхар дийр ду Цунах. Иза иштта билггал хир а ма ду! Амин!</verse>
				<verse number="8">«Со ву массо а хӀума Долийнарг а, чекхдоккху Верг а, — боху Везачу Дала. — Со ву волуш волу а, хилла волу а, вогӀун волу а Нуьцкъалниг».</verse>
				<verse number="9">Шу а, шун ваша Яхьъя волу со а цхьатерра Ӏийсах тешарна, шуьца цхьаьна Цуьнан олаллехь болчара хьоьгучу баланашкахь дакъа лаца доьналла долуш ву со. Иштта, Делан дош дӀасадаржорна а, Ӏийсах тоьшалла дарна а, таӀзар а деш, Патмас цӀе йолчу гӀайренна тӀе вахийтинера со.</verse>
				<verse number="10">Везачу Элана леринчу дийнахь Делан Са суна тӀе доьссира, тӀаккха сайна тӀехьа чӀогӀа аз хезира суна, турби чуьра схьадолуш санна.</verse>
				<verse number="11">Цо бохура: «Хьайна гушдерг тептар тӀе дӀа а яздай, динан ворхӀе а тобанийн гуламашка дӀадахьийта. И тобанаш ю хӀокху гӀаланашкахь: Эпасехь, Симранехь, Паргамехь, Тхьайтирехь, Сардисехь, Палидалпехь, Лаудикехь».</verse>
				<verse number="12">И суна хезнарг хьенан аз ду те аьлла, со юхахьаьжира. Со юхахьаьжча, суна гира деших бина ворхӀ стогар.</verse>
				<verse number="13">Ткъа оцу ворхӀ стогарна юкъахь лаьтташ «адамийн кӀантах тера цхьаъ» вара. Цунна тӀехь еха бедар яра, ткъа цуьнан некхана гонах хьарчийна деших дина доьхка дара.</verse>
				<verse number="14">Цуьнан коьрта тӀера месаш, тӀаргӀа а, ло а санна, кӀайн яра. Цуьнан БӀаьргаш а дара йогу алу санна.</verse>
				<verse number="15">Цуьнан когаш пешахь лалийначу, къегачу цӀастанах тера бара. Чухчарин гӀовгӀа санна дара Цуьнан аз.</verse>
				<verse number="16">Цуьнан аьтту куьйгахь ворхӀ седа бара. Цуьнан багара схьадолура шинна а агӀор ира долу тур. Цуьнан юьхь а, шен нуьцкъалаллин нуьрехь болу малх санна, лепаш яра.</verse>
				<verse number="17">Сайна и гича, велча санна, Цуьнан когашка вуьйжира со. Ткъа Цо, суна тӀе аьтту куьг а диллина, соьга элира: «Ма кхера. Со ву Хьалхарниг а, ТӀаьххьарниг а.</verse>
				<verse number="18">Со ву дийна Верг. Со велла вара, амма хӀинца Со ерриг а тӀейогӀучу заманна дийна ву. Сан карахь ду Ӏожаллин а, эхартан а догӀанаш.</verse>
				<verse number="19">Иштта, дӀаязде хьайна гиначух а, долуш долчух а, хиндолчух а лаьцна.</verse>
				<verse number="20">Сан аьтту куьйгахь хьуна гиначу ворхӀ седанан а, ворхӀ дашо стогаран а къайле иштта ю: ворхӀ седа — уьш Ӏийсах тешначийн динан ворхӀ тобанан маликаш ду бохург ду. Ткъа хьуна гина болу ворхӀ стогар — уьш ворхӀе а динан тобанийн гулам бу».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="2">
				<verse number="1">«Эпас-гӀаларчу динан тобанан малике дӀаязде: Иштта боху, Шен аьтту куьйга ворхӀ седа схьа а лаьцна, деших бина болчу ворхӀ стогарна юккъехула лелаш Волчо:</verse>
				<verse number="2">„Девза Суна шун гӀуллакхаш. Хаьа Суна аша къахьоьгийла а, шу доьналла долуш дуйла а, мекара адамаш аша ловш доцийла а. Шаьш векалш ду бохурш а аша зийна, ткъа уьш харцлуьйш хилар а шуна хиъна.</verse>
				<verse number="3">Шу доьналла долуш ду, Сан дуьхьа аша баланаш хьийгира, амма шу ца дуьйхира.</verse>
				<verse number="4">Делахь а, шуна дуьхьалдаккха хӀума ду Сан: аша шайн дуьххьарлера безам дӀатесна.</verse>
				<verse number="5">Иштта, шаьш мичара охьаэгна дага а даийтий, метта а дуьйлий, шаьш юьхьанца лелийна долу гӀуллакхаш леладе. Нагахь шаьш далийтинчу къинойх шу дӀа ца дерзахь, шу долчу а веана, Ас меттахбоккхур бу шун стогар.</verse>
				<verse number="6">Делахь а цхьа дика хӀума ду шун: никласхойн гӀуллакхаш Суна цадезаре терра, шуна а уьш ца дезаш хилар.</verse>
				<verse number="7">Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга: ‘Тоьллачунна бакъо лур ю Ас Делан ялсаманина юккъехь лаьтташ долчу дахаран дитта тӀера стом баа’“».</verse>
				<verse number="8">Симран-гӀаларчу динан тобанан малике а дӀаязде: «Иштта боху, хьалха вала а велла, ткъа хӀинца дийна волчу хьалхара а, тӀаьххьара а Волчо:</verse>
				<verse number="9">„Суна евза шун халонаш а, шун къоьлла а, делахь а шу-м хьал долуш ду. Иблисан гуламах болчара, шаьш Делан нах болчу жуьгтех боццушехь, царах ду бохуш, шух лаьцна дуьйцу вон хабарш а Суна хууш ду.</verse>
				<verse number="10">Шаьш лан дезар долчу цхьана а хӀуманах ма кхера. Иштта, шу зерхьама, шух цхьадерш иблисо набахти чу даладойтур ду. ТӀаккха иттех дийнахь баланаш ловр бу аша. Шаьш делла дӀадовллалц тешаш хилалаш, тӀаккха Толаман таж санна, Аса шуна хедар доцу дахар лур ду.</verse>
				<verse number="11">Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга: ‘Толам баьккхинчун шолгӀа валар хир дац’“».</verse>
				<verse number="12">«Паргам-гӀаларчу динан тобанан малике а дӀаязде: Иштта боху Шен карахь шинна а агӀор ира долу тур Долчо:</verse>
				<verse number="13">„Девза Суна иблисан олаллин гӀантана гонах шу дехаш хилар. Аша Сан цӀе ларамехь а лелийна, Сох долу шун тешар дӀа а ца даьлла, ур-атталла иблис дехаш долчу шун гӀалахь Сан тешаме теш волу Антапи вийначу хенахь а.</verse>
				<verse number="14">Делахь а, шуна дуьхьалдаккха цхьацца хӀума ду Сан. БалиӀаман хьехамаш тӀелаьцна болу цхьаболу нах бу шуна юкъахь. Исраилхошка къилахь долу гӀуллакхаш леладайта Ӏамийнера цо Балакх-паччахь. Цара, цӀушна сагӀина лерина еана хӀума а йоуьйтуш, Далла хьалха сийсаза долу хӀума леладойтура исраилхошка.</verse>
				<verse number="15">Иштта, никласхойн хьехамаш ларбеш болу цхьаболу нах а бу шуна юкъахь.</verse>
				<verse number="16">Метта а дуьйлий, Соьгахьа юхадерза! Нагахь Ас бохург аша ца дахь, Со кестта вогӀур ву шу долчу. ТӀаккха Сайн багара схьадолучу туьраца летар ву Со царах.</verse>
				<verse number="17">Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга: ‘Толам баьккхинчунна къайлаяьккхинчу ‹манна› олучу кхачанан буьртигийн дакъа лур ду Ас. Цунна кӀайн тӀулг а лур бу Ас, тӀеязйина керла цӀе а йолуш. И цӀе цхьанна а хуур яц, иза йолчунна бен’“».</verse>
				<verse number="18">«Иштта Тхьайтир-гӀаларчу динан тобанан малике а дӀаязде: Иштта боху бӀаьргаш цӀеран алу санна а, когаш къегачу цӀастанах санна а болчу Делан КӀанта.</verse>
				<verse number="19">„Суна девза шун гӀуллакхаш а, безам а, тешар а, аша гӀо дар а, шу доьналла долуш хилар а. Иштта Суна хаьа шун тӀаьххьарлера гӀуллакхаш хьалха дина долчу гӀуллакхел сов дуйла а.</verse>
				<verse number="20">Ткъа шуна дуьхьалдаккха иштта хӀума ду Сан. Делера хаам болуш ю бохучу Изабал цӀе йолчу зудчунна дан магош доцу гӀуллакхаш дан некъ ло аша. Шен хьехамашца Сан ялхой тилабо цо, цаьрга сийсаза долу хӀуманаш а леладойтуш, цӀушна сагӀина еана хӀума а йоуьйтуш.</verse>
				<verse number="21">Аса Сайна тӀеерза хан еллера цунна, амма цунна ца лаьа ша лелийначу сийсазчу гӀуллакхех дӀаерза.</verse>
				<verse number="22">ХӀинца Ас цамгарийн Ӏазап хьоьгуьйтур ду цуьнга. Цуьнца цхьаьна къилахь долу гӀуллакхаш лелийнарш а боккхачу баланехь хир бу, шаьш цуьнца лелийначу гӀуллакхашна дохко а бевлла, уьш Суна тӀе ца берзахь.</verse>
				<verse number="23">Цуьнан бераш а хӀаллакдийр ду Ас. ТӀаккха кхетар бу динан массо а тобанашкахь берш, шайн дегнаш а, ойланаш а зуьйш верг Со хиларх. Шуна хӀоранна а, шун гӀуллакхашка хьаьжжина, хьакъ дерг дӀалур ду Ас.</verse>
				<verse number="24">Ткъа, кхечу наха туьдуш ма-хиллара, ‘иблисан къайленийн кӀоргенаш’ шайна евзина доцучу а, Изабалан хьехамашна тӀаьхьахӀиттина доцучу а шуьга, тхьайтирхойх кхиболчаьрга, Ас боху: ‘Лан ницкъ кхочур боцу кхийолу халонаш тӀе ца йохку Ас шуна.</verse>
				<verse number="25">Ткъа шу, Со схьаваллалц, шайн долуш дерг лар а деш, лела’.</verse>
				<verse number="26">26-28 Толам а боккхуш, Сан гӀуллакхаш чекхдовллалц кхочушдеш волчунна, Сан Дас Суна яларе терра, ‘кхечу къаьмнех болчарна тӀехь олалла дан бакъо лур ю Ас. Цо аьчка гӀожаца царна тӀехь олалла дийр ду, кхийра пхьегӀаш санна, отур а бу уьш’. Цунна лур бу Ас Ӏуьйренан седа.</verse>
				<verse number="27">***</verse>
				<verse number="28">***</verse>
				<verse number="29">Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="3">
				<verse number="1">«Сардис-гӀаларчу динан тобанан малике а дӀаязде: Иштта боху Шегахь Делан ворхӀ Са а, ворхӀ седа а Болчо: „Девза Суна шун гӀуллакхаш. Аша, шаьш дийна долуш санна, цӀераш лелайо, амма шу делла ду.</verse>
				<verse number="2">Сама а довлий, шайна чохь дисина долу тешар чӀагӀде, иза хӀаллакьхилале. ХӀунда аьлча Суна карийна, аша деш долу гӀуллакхаш Сан Далла хьалха кхоччуш чекхдевлла цахилар.</verse>
				<verse number="3">Шаьш тӀеэцна болу а, шайна хезна болу а хьехамаш дагахь латтабе! Уьш лар а бе, шайн къиношна дохко а довлий, Далла тӀе а дерза. Нагахь шу сама ца довлахь, къу санна, шуна ца моьттучу хенахь вогӀур ву Со.</verse>
				<verse number="4">Бакъду, шуна юкъахь масех стаг ву шайн бедарш къилахь долу гӀуллакхаш дарца бехъяза. Уьш, кӀайн духарш а дуьйхина, Соьца лелар бу, хӀунда аьлча уьш иштта лела хьакъ долуш бу.</verse>
				<verse number="5">Толам баьккхинчунна тӀе кӀайн духар духур ду. Цуьнан цӀе дахаран тептар тӀера Ас дӀа а йойур яц. Иза Сан долахь хиларх тоьшалла а дийр ду Ас Сайн Дена а, Цуьнан маликашна а хьалха.</verse>
				<verse number="6">Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга“».</verse>
				<verse number="7">«Палидалпи-гӀаларчу динан тобанан малике а дӀаязде: Иштта боху веза а, билггал бакъ а волчу Шен карахь Даудан догӀа Долчо. Цо неӀ дӀаястахь, цхьаьнгге а иза дӀакъовлалур яц. Цо неӀ дӀакъовлахь, цхьаьнгге а иза дӀаясталур яц.</verse>
				<verse number="8">„Девза Суна шун гӀуллакхаш. Хьовсал! Цхьаьнгге а дӀакъовлалур йоцу неӀ дӀайиллина Ас шуна хьалха. Шун ницкъ кӀезиг белахь а, аша Сан дош а лардина, Со дӀа а ца тесна.</verse>
				<verse number="9">Гой шуна! Аьшпаш а буттуш, шаьш боццушехь, жуьгти ду бохуш болу иблисан гуламах берш Ас шуна хьалха дӀахӀиттор бу, шун когашка уьш охьа а тоӀуьйтуш. Хуур ду царна, Суна шу дезийла.</verse>
				<verse number="10">Доьналла долуш хила аьлла, Аса шайна дина омра аша лардина дела, Аса а лардийр ду шу, лаьттахь дехаш долу адамаш зерхьама, кху дуьнен чу массанхьа а баланаш тӀебоуьйтур болчу заманах.</verse>
				<verse number="11">Кестта вогӀур ву Со. Шайн долуш дерг ларделаш, цхьаьнгге а шайгара толам баккхаран таж дӀа ца даккхийта.</verse>
				<verse number="12">Толам баьккхинарш Сан Делан цӀа чохь бӀогӀам хилла дӀахӀуьттур бу, цу чуьра кхин ара а бевр бац. Царна тӀехь Сайн Делан цӀе а язйийр ю Ас, Сайн Делан гӀалин цӀе а язйийр ю. Иза Сан Делера стигалара охьайогӀуш йолчу Ярушалайм-гӀалин цӀе хир ю. Сайн керла цӀе а язйийр ю Ас царна тӀехь.</verse>
				<verse number="13">Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга“».</verse>
				<verse number="14">«Лаудика-гӀаларчу динан тобанан малике а дӀаязде: Иштта боху Ша Амин волчу, Дала кхоьллина долчун Хьоста Ша волчу, тешам а болуш, билггал бакъволчу Тешо:</verse>
				<verse number="15">„Девза Суна шун гӀуллакхаш — шу я шийла а дац, я довха а дац. Я шийла, я довха делара шу!</verse>
				<verse number="16">Довха а, шийла а доцуш, шу мела хиларна, Ас Сайн багара а дӀадохур ду шу.</verse>
				<verse number="17">ХӀунда аьлча аша боху: ‘Тхо дехаш а ду, хьал долуш а ду, тхуна оьшуш хӀумма а дац’. Ткъа шу ца кхета шаьш ирс дайна а, декъаза а, къен а, бӀаьрзе а, дерзина а хиларх!</verse>
				<verse number="18">Ас иштта хьехам бо шуна: шаьш хьал долуш хилийтархьама, цӀергахь дахчийна деши эца шайна Соьгара. КӀайн духар а эца шайна, иза, тӀе а дуьйхина, шайн эхье меттигаш дӀахьулъярхьама! Хьакхар а эций, иза бӀаьргех хьакха, бӀаьрса даийтархьама!</verse>
				<verse number="19">Сайна везарг, метта а валош, таӀзарца нисво Ас. Цундела, дикане а кхийдаш, даггара Далла тӀедерза!</verse>
				<verse number="20">Хьовсал! Со, неӀарах пӀелг а бетташ, лаьтташ ву. Сан аз а хезна, неӀ дӀайиллинчун цӀа чу вер ву Со. Цуьнца цхьаьна хӀума юур ю Ас, ткъа иза Соьца шуьне хуур ву.</verse>
				<verse number="21">Толам а баьккхина, Сайн Ден Ӏаршана уллохь долчу паччахьан гӀанта тӀе Со охьахааре терра, толам баьккхинчунна бакъо лур ю Ас Сайн Ӏаршана уллохь долчу паччахьан гӀанта тӀе охьахаа.</verse>
				<verse number="22">Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга“».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="4">
				<verse number="1">Цул тӀаьхьа со хьалахьаьжира. Стигалахь дӀаеллаелла неӀ гира суна. Хьалха а хезна долу, турбана чуьра арадолуш санна долу, аз хезира суна. Цу озо соьга бохура: «Хьалавала кхуза, кхул тӀаьхьа хила дезарг гойтур ду Ас хьуна».</verse>
				<verse number="2">Цу сохьта суна тӀе Делан Са доьссира. ТӀаккха суна гира стигалахь лаьтташ йолу Делан Ӏарш, шена тӀехь охьахиъна Верг а волуш.</verse>
				<verse number="3">Цу охьахиъна Волчун юьхьсибат, «яспис», «сардис» цӀе йолу деза тӀулгаш санна, можачу а, цӀечу а басахь лепара. Цуьнан гӀантана гонах, «изумруд» цӀе йолу тӀулг санна, лепаш стелаӀад дара.</verse>
				<verse number="4">Ӏаршана гобаьккхина кхин а ткъе диъ паччахьан гӀант дара. Царна тӀе хиъна ткъе виъ къано вара. Къаношна тӀехь кӀайн духар дара. Церан кортош тӀе диллина дашо таьжнаш дара.</verse>
				<verse number="5">Цу Ӏаршах схьадетташ стелахаьштиг а дара, схьахезаш аьзнаш а дара, серладуьйлуш детташ ткъес а дара. ГӀантана хьалха богуш ворхӀ къуьда бара. Уьш Делан ворхӀ Са ду.</verse>
				<verse number="6">Цу Ӏаршана хьалха чекх са гучу ангалих тера болу ангалин хӀорд бара. Ткъа Ӏарш лаьттачу меттигна юккъехь а, Ӏаршана гонах а лаьтташ диъ дийнат дара. Хьалх а, тӀехь а шорта бӀаьргаш дара церан.</verse>
				<verse number="7">Дийнатех цхьаъ лоьмах тера дара. ШолгӀа дийнат старгӀанах тера дара. КхозлагӀчу дийнатан, адаман санна, юьхь яра. ДоьалгӀаниг тӀемаяьллачу аьрзунах тера дара.</verse>
				<verse number="8">Цу деъа а дийнатан хӀораннан а гонах ялх-ялх тӀам бара, ткъа царна чуьра схьакъегаш бӀаьргаш бара. Цара, дийнаххьий, буьйсанний, сацам а боцуш, кхойкхура: «Веза ву, веза ву, веза ву Веза Эла, хилла волу а, волуш волу а, вогӀун волу а массо ницкъийн Веза Дела», — бохуш.</verse>
				<verse number="9">Цу дийнаташа Ӏаршана тӀе хиъна волчу, ерриг а тӀейогӀучу заманна а вехаш Волчун сийдеш, Иза ваз а веш, баркаллаш мосазза олу а,</verse>
				<verse number="10">и ткъе виъ къано Ӏаршана тӀехь хиъна Волчунна хьалха охьа а вужий, ерриг а тӀейогӀучу заманна вехаш Волчунна суждане воьду. Цара, шайн таьжнаш Ӏаршана хьалха охьа а дохкуш, олу:</verse>
				<verse number="11">«Хьакъ долуш ву Хьо, тхан Веза Эла волу Дела, сийлалла а, ларам а, ницкъ а дӀаэца. ХӀунда аьлча Ахь кхоьллина ду дерриг а. И дерриг а Хьан лаамца долуш а ду, кхоьллина а ду».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="5">
				<verse number="1">ТӀаккха Ӏаршана тӀехь охьахиъна Ӏаш Волчун аьтту куьйгахь хьарчийна тептар гира суна. Цу хьарчийначу тептаран шинна а агӀор йозанаш дара. И тептар, ворхӀ мухӀар а тоьхна, дӀакъевлина дара.</verse>
				<verse number="2">Ницкъболу малик а гира суна. Цо, чӀогӀачу озаца кхайкхам беш, хоьттура: «Мила ву, хӀокху тептар тӀера мухӀарш дӀа а даьхна, иза дӀаделла хьакъ верг?»</verse>
				<verse number="3">Стигалахь, лаьттахь, я лаьтта бухахь цхьаннан а йиш яцара и тептар дӀаделла а, я цу тӀе хьажа а.</verse>
				<verse number="4">И тептар дӀа а диллина, иза деша а, я цу тӀе хьажа а цхьа а хьакъ цахиларна, со дуккха а вилхира.</verse>
				<verse number="5">Оцу къанойх цхьаммо элира соьга: «Ма велха! ХӀара ду ЯхӀудан тайпанах долу Лом: Даудан Орам. Цо толам баьккхина, Цуьнан йиш ю цу тептар тӀера ворхӀ мухӀар дӀадаккха а, иза дӀаделла а».</verse>
				<verse number="6">ТӀаккха со дӀахьаьжча, суна гира и Ӏарш лаьттачу меттигна юккъехь, цу дийнаташна а, къаношна а юккъехь лаьтташ болу Ӏахар. Иза, сагӀина лерина бийна болуш санна, бара. Цуьнан ворхӀ маӀа а, ворхӀ бӀаьрг а бара. Дерриг а лаьтта тӀедахийтина долу Делан ворхӀ Са дара уьш.</verse>
				<verse number="7">Ӏахаро Ӏаршана тӀе хиъна Волчун аьтту куьйгара и тептар схьаийцира.</verse>
				<verse number="8">ТӀаккха, Цо и тептар караэцча, диъ дийнат а, ткъе виъ къано а Ӏахарна хьалха охьавуьйжира. Цаьргахь хӀорангахь а мерз-пондарш а, дашо боганаш а дара. И боганаш хаза хьожа йогӀучу хӀуманах дуьзна дара. Боганаш чохь дерш Делан долахь болчеран доӀанаш дара.</verse>
				<verse number="9">Цара, керла эшар а локхуш, бохура: «Хьакъ долуш ву Хьо, и тептар схьа а эцна, цу тӀера мухӀарш дӀадаха, хӀунда аьлча Хьо вийна вара. ХӀора тайпанашна а, меттанашна а, хӀора халкъана а, къомана а тӀера Делан дуьхьа Хьайн цӀий Ӏанорца адамашна тӀера мах дӀабелира Ахьа.</verse>
				<verse number="10">Динан дайн пачхьалкх царах йина Ахьа, цаьрга Хьайна гӀуллакх дайтархьама. Ткъа цара кху Лаьтта тӀехь паччахьалла дийр ду».</verse>
				<verse number="11">Суна дуккха а маликаш гира, церан аьзнаш а хезира. Уьш Ӏаршана а, цигахь долчу дийнаташна а, къаношна а гонах дара. Дагарлур доцуш, эзарнашкахь дукха дара и маликаш — эзарзза эзарнаш.</verse>
				<verse number="12">Цара, аз чӀагӀ а деш, олура: «Бийна болу Ӏахар хьакъ долуш бу нуьцкъалалла а, хьал а, хьекъалалла а, чӀагӀо а, ларам а, сийлалла а, хастам а дӀаэца».</verse>
				<verse number="13">Стигалахь а, лаьттахь а, лаьттана бухахь а, хӀорда тӀехь а Дала кхоьллинчу хӀора хӀумано а — царна чохь долчу массо хӀумано а — олуш хезира суна: «Хастам, ларам, сийлалла, олалла ерриг а тӀейогӀучу заманна хуьлийла Ӏаршана тӀехь хиъна Волчун а, Ӏахаран а».</verse>
				<verse number="14">Ткъа цу деъа а дийнато олура: «Амин». Къаной, охьа а эгна, суждане бахара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="6">
				<verse number="1">ТӀаккха суна гира Ӏахаро ворхӀ мухӀарх цхьаъ дӀадоккхуш. Юха суна хезира цу деа дийнатах цхьаммо стигала къекъаш санна долчу озаца олуш: «Схьавола!»</verse>
				<verse number="2">Со дӀахьаьжча, суна кӀайн дин гира. Цу тӀехь, карахь Ӏад а долуш, бере вара. Цуьнга толаман таж делира. ТӀаккха и толам боккхуш верг толам баккха вахара.</verse>
				<verse number="3">Ӏахаро шолгӀа мухӀар дӀадаьккхича, суна хезира шолгӀачу дийнато олуш: «Схьавола!»</verse>
				<verse number="4">ТӀаккха расха болу кхин дин арабелира. Цу тӀе хиъна волчунна бакъо елира Лаьттара машар бохо а, адамашка вовшийн дайийта а. Оцу беречуьнга доккха тур делира.</verse>
				<verse number="5">Ӏахаро кхоалгӀа мухӀар дӀадаьккхича, суна хезира кхоалгӀачу дийнато олуш: «Схьавола!» Со дӀахьаьжча, суна Ӏаьржа дин гира. Цу тӀехь бере вара, цуьнан карахь терза дара.</verse>
				<verse number="6">Деа дийнатана юкъара адаман санна долу аз хезира суна: «Цхьана дийнан алапа долччул ахча а луш, кӀен деман цхьа кана я мекхан деман кхо кана схьаоьцу. Зайтдаьтта а, чагӀар а талха ма де!»</verse>
				<verse number="7">ТӀаккха Ӏахаро доьалгӀа мухӀар дӀадаьккхича, суна хезира доьалгӀачу дийнатан озо олуш: «Схьавола!»</verse>
				<verse number="8">Со дӀахьаьжча, сира дин гира суна. Цунна тӀехиъна «Ӏожалла» цӀе йолу бере вара, шена тӀаьхьахӀоьттина эхарт а долуш. Царна бакъо елира Лаьттарчу адамийн доьалгӀа дакъа туьрах а, мацаллех а, цамгарех а далийта а, иштта Лаьттарчу акхарошка уьш даийта а.</verse>
				<verse number="9">Цо пхоьалгӀа мухӀар дӀадаьккхича, сагӀа доккхучу кхерчана бухахь Делан дош кхайкхор бахьанехь а, цара до тоьшаллаш лардар бахьанехь а дайина хилла синош гира суна.</verse>
				<verse number="10">Уьш айдинчу озаца кхайкхира: «Мел Ӏийр ву те Хьо, Хьалдолу Эла, веза а, тешаме а Верг, Лаьттахь бехаш болчарна кхел ца еш а, тхан цӀий Ӏанорна царна таӀзар ца деш а?» — аьлла.</verse>
				<verse number="11">ТӀаккха царна хӀоранна а кӀайн духар делира. Цаьрга элира, кхин а кӀеззиг йолчу ханна сатоха аьлла. Иштта хила дезара, цаьрга терра Ӏийсана гӀуллакх деш болчу а, уьш санна байина хин болчу а, динан вежарийн терахь кхочушхиллалц.</verse>
				<verse number="12">Суна гира Ӏахаро йолхалгӀа мухӀар дӀадоккхуш. ТӀаккха чӀогӀа мохк бегийра. Малх а, Ӏаьржачу тӀергӀан духар тӀедуьйхича санна, кхоьлира. Стигалара бутт а, цӀий санна, цӀийбелира.</verse>
				<verse number="13">ЦӀеххьана баьллачу чехкачу мохо инжиран дитташна тӀера хилаза долу церан стоьмаш эгош санна, стигалара седарчий а Лаьтта тӀе охьаийгира.</verse>
				<verse number="14">Стигал а, хьарчийна долу тептар санна, дӀа а хьаьрчина, дӀахьулъелира. ХӀора лам а, гӀайре а меттахъяьккхира.</verse>
				<verse number="15">Лаьттара паччахьаш а, церан уллоранаш а, тӀеман хьаькамаш а, хьалдерш а, нуьцкъалнаш а, массо леш а, паргӀат берш а хьехашна чохь а, чӀажашна чохь а дӀалевчкъира.</verse>
				<verse number="16">Цара лаьмнашка а, тархашка а бохура: «Тхуна тӀе а эгий, дӀахьулдейша тхо Ӏарша тӀехь хиъна Волчунна гарх а, Ӏахаран таӀзарх а.</verse>
				<verse number="17">Цара таӀзар даран къематде тӀедеана. Иза хьаьнга лалур ду те?»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="7">
				<verse number="1">Цул тӀаьхьа суна диъ малик гира. И маликаш лаьттан еа а агӀор лаьтташ дара. Цара Лаьттан еа маьӀӀера хьоькху биъ мох дӀалаьцнера, иза я лаьттана тӀе, я хӀордана тӀе, я цхьанна а диттана тӀе ца бахийтархьама.</verse>
				<verse number="2">ТӀаккха кхин а цхьа малик гира суна. Иза малхбалехьара хьаладолуш дара. Цуьнан карахь дийна волуш волчу Делан мухӀар дара. Оцу малико лаьттана а, хӀордана а зулам дан бакъо еллачу деа малике, мохь туххуш, айдинчу озаца элира:</verse>
				<verse number="3">«Вайн Далла гӀуллакх деш болчеран хьаьжнаш тӀе мухӀар тоххалц, зулам ма делаш я лаьттана, я хӀордашна, я дитташна».</verse>
				<verse number="4">И мухӀар а тоьхна, билгалваьккхинарг маса стаг ву олуш а хезира суна. Уьш исраилхойн массо а тӀаьхьенах волу цхьа бӀе шовзткъе виъ эзар стаг вара.</verse>
				<verse number="5">Иштта, ЯхӀудан тӀаьхьенах волчу шийтта эзар стагана тӀе а мухӀар тоьхна; Раабанан тӀаьхьенах а — шийтта эзар стагана; Гадин тӀаьхьенах а — шийтта эзар стагана;</verse>
				<verse number="6">Ашаран тӀаьхьенах а — шийтта эзар стагана; Напталан тӀаьхьенах а — шийтта эзар стагана; Маннашан тӀаьхьенах а — шийтта эзар стагана;</verse>
				<verse number="7">ШимӀин тӀаьхьенах а — шийтта эзар стагана; Левин тӀаьхьенах а — шийтта эзар стагана; Иссарханан тӀаьхьенах а — шийтта эзар стагана;</verse>
				<verse number="8">Забулан тӀаьхьенах а — шийтта эзар стагана; Юсупан тӀаьхьенах а — шийтта эзар стагана; Бен-Яманан тӀаьхьенах а — шийтта эзар стагана.</verse>
				<verse number="9">Цул тӀаьхьа со дӀахьаьжча, лаьтташ йолу адамийн йоккха тоба гира суна. Адамаш цхьаьнгге а дагар ца даллал дукха дара. Массо а халкъех, тукхамех, къаьмнех, меттанех схьадевллачу адамийн и тоба яра Делан Ӏаршана хьалха а, Ӏахарна хьалха а лаьтташ. Царна тӀехь кӀайн обанаш а яра, церан карахь хурманийн диттийн гаьннаш а дара.</verse>
				<verse number="10">Цара айдинчу озаца бохура: «КӀелхьардовлар ду Ӏаршана тӀе хиъна Ӏаш волчу Делера а, Ӏахарера а!»</verse>
				<verse number="11">Паччахьан гӀантана гонах а, къаношна гонах а, деа дийнатна гонах а массо а маликаш дара лаьтташ. Цу Ӏаршана хьалха бертал а эгна, Далла Ӏибадат дора цара.</verse>
				<verse number="12">«Амин! Хастам а, сийлалла а, хьекъалалла а, баркалла а, ларам а, нуьцкъалалла а, чӀагӀо а хуьлийла вайн Далла ерриг а тӀейогӀучу заманна! Амин!» — бохура оцу маликаша.</verse>
				<verse number="13">Шен къамел долош, къанойх цхьаммо соьга хаьттира: «И кӀайн обанаш тӀеюьйхина болу нах муьлш бу? Уьш мичара баьхкина?»</verse>
				<verse number="14">Ас цуьнга жоп делира: «Хьуна хьайна ма хаьа, эла». ТӀаккха цо элира соьга: «Уьш, боккхачу балехь а лаьттина, схьабевлла бу. Цара шайн духарш, цӀан а дина, Ӏахаран цӀийца кӀайдина.</verse>
				<verse number="15">Цундела уьш Делан олаллин гӀантана хьалха лаьтташ бу хӀинца. Цара дийнаххьий, буьйсанний Делан цӀа чохь Далла гӀуллакх до. Ӏарша тӀе охьахиъна Верг цаьрца цхьаьна а Ӏийр ву, Цо уьш лар а бийр бу.</verse>
				<verse number="16">ХӀинца дуьйна уьш меца а хир бац, хьогах а хир бац. Уьш малхо а, йовхоно а кхин хьийзор бац.</verse>
				<verse number="17">ХӀунда аьлча и Ӏарш лаьттачу меттигна юккъехь болчу Ӏахаро бажор бу уьш. Цо уьш дийна хи долчу шовданашка буьгур бу. Дала Ша дӀадохур ду церан бӀаьрхиш».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="8">
				<verse number="1">Ӏахаро ворхӀалгӀа мухӀар тептар тӀера дӀадаьккхича, цхьана эха сахьтехь тийна хилла дӀахӀоьттира стигалахь.</verse>
				<verse number="2">Далла хьалха лаьтташ долу ворхӀ малик гира суна. Церан кара локхуш йолу ворхӀ турба еллера.</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха кхин а цхьа малик деара. Цуьнан карахь хаза хьожа йогӀу хӀума чуюьллу дашо яй бара. И малик сагӀа доккхучу кхерчана хьалха дӀахӀоьттира. Иштта алссам хьожа йогӀу хӀума а елира оцу малике. Иза елира, Делан долахь болчу массеран а доӀанашца цхьаьна, Делан Ӏаршана хьалха лаьтташ болчу сагӀа доккхучу дашо кхерчана тӀе Далла лерина долчу сагӀина охьайиллархьама.</verse>
				<verse number="4">ТӀаккха оцу хьожа йогӀучу хӀуманах баьлла кӀур Делан долахь болчеран доӀанашца цхьаьна маликан карара Далла хьалха хьалабахара.</verse>
				<verse number="5">Малико и яй, схьа а эцна, дашочу кхерчана тӀера йогуш йолчу цӀеран кӀегийх буьзира. ТӀаккха цо уьш лаьтта охьатийсира. Царах гӀовгӀа а елира, ткъес а туьйхира, стелахаьштигаш а серладийлира, мохк а бегийра.</verse>
				<verse number="6">Шайн карахь ворхӀ турба йолу ворхӀ малик турба лакха кечделира.</verse>
				<verse number="7">Хьалхарчу малико турба лекхча, цӀийх дӀаийна йолу къора а, цӀе а Лаьтта охьакхиссира, ткъа царах Лаьттан кхоалгӀачу декъах цӀе елира. Лаьттарчу диттийн кхоалгӀа дакъа а, ерриг а сийна буц а егира.</verse>
				<verse number="8">ШолгӀачу малико а турба лекхира. ТӀаккха, богуш болчу ломах тера йолу цхьа йоккха хӀума хӀорда чу а кхоьссина, хӀордийн кхоалгӀа дакъа цӀий хилла дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="9">ХӀордашна чохь йолчу садолчу хӀуманийн кхоалгӀа дакъа а хӀаллакьхилира. Иштта хӀаллакьхилира хӀордкеманийн кхоалгӀа дакъа а.</verse>
				<verse number="10">КхоалгӀачу малико а турба лекхира. ТӀаккха стигалара боккха седа охьабуьйжира. Иза, хаьштиг санна, къегаш бара. Хийн а, шовданийн а, хьостанийн а кхоалгӀачу декъа тӀе охьабуьйжира и седа.</verse>
				<verse number="11">Цу седанан цӀе «сагал-буц» ю. ТӀаккха Лаьттан хийн кхоалгӀа дакъа, сагал-буц а хилла, къахьделира. Дукхахдолу адамаш, и къаьхьа хи мелла дела, делира.</verse>
				<verse number="12">ДоьалгӀачу малико а турба лекхира. Цул тӀаьхьа малхан а, беттан а, седарчийн а кхоалгӀа дакъа дӀахьулделира. Цундела церан кхоалгӀа дакъош кхоьлина дӀахӀиттира. Дийнан а, буьйсанан а кхоалгӀа дакъа, серло ца луш а хилла, дӀахӀоьттира.</verse>
				<verse number="13">Со дӀахьаьжча, стигална юккъехула тӀемаяьлла йоьдуш йолчу цхьана аьрзун айдина аз хезира суна. Цо бохура: «Декъаза хир ду шу, лаьттахь дехаш долу адамаш, дисинчу кхаа малико локхун йолчу турбанийн аьзнаш шайна хезча!»</verse>
			</chapter>
			<chapter number="9">
				<verse number="1">ПхоьалгӀачу малико а лекхира турба. ТӀаккха стигалара лаьтта охьабоьжна седа гира суна. Цу седанан караделира бух боцучу Ӏинна тӀебоьдучу некъан догӀа.</verse>
				<verse number="2">Бух боцучу Ӏинна тӀебоьдучу некъан догӀа цо дӀадаьстича, цу некъа тӀера, йоккхачу пешана чуьра санна, кӀур схьатесира. Оцу баьллачу кӀуьро малх а, хӀаваъ а кхолийра.</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха лаьтта тӀе цу кӀуьра юкъара цӀоз схьаделира. Лаьттара сту лоцучу гезгийн доллу олалла делира цу цӀазана.</verse>
				<verse number="4">Цхьана а бацана, цхьана а ораматна, цхьана а диттана зен ма делаш, элира цу цӀазе. Ткъа шайн хьаьжнаш тӀе Делан мухӀарш тоьхна доцучу адамашна зен дан могуьйту шуна.</verse>
				<verse number="5">ЦӀазана тӀедиллира, адамаш дайа а ца дойуш, пхеа баттахь цаьрга хала баланаш хьегийтар. Цара хьоьгуьйту баланаш сту лоцучу гезгаша адамашка, шайн юнаш а йиттина, хьоьгуьйту баланех тера дара.</verse>
				<verse number="6">Цу деношкахь адамаша шайна Ӏожалла лоьхур ю, амма царна и карор яц. Царна делла дӀадовла луур ду, амма Ӏожалла царах йодур ю.</verse>
				<verse number="7">ТӀехьаьжча, и цӀоз тӀамана кечдинчу дойх тера дара. Церан кортош тӀехь дашо таьжнаш санна йолу хӀуманаш яра. Ткъа церан яххьаш адамийн яххьех тера яра.</verse>
				<verse number="8">Цу цӀазан месаш а зударийн месех тера яра. Ткъа церан цергаш лоьмийн цергаш санна яра.</verse>
				<verse number="9">Цу цӀазана тӀехь, аьчка долуш санна, гӀаьгӀнаш дара. Церан тӀемийн гӀовгӀа вуно дукха йолчу, тӀаме чехка хахкаелла йоьдучу говрех йоьжначу гӀудалкхийн чкъургийн даьллачу доккхачу татанах тера яра.</verse>
				<verse number="10">ЦӀазан, сту лоцучу гезгийн санна, цӀогарчий дара, цӀогарчех йохкуш юнаш яра. Пхеа баттахь адамашна зен дан белла ницкъ цу цӀазан цӀоганашкахь бара.</verse>
				<verse number="11">Бух боцучу Ӏинан малик цу цӀазан паччахь дара. Ӏебархойн маттахь цуьнан цӀе Абаден-малик яра, ткъа грекийн маттахь Аполлиан яра (иза «хӀаллакьхуьлуьйтург» бохург ду).</verse>
				<verse number="12">Цхьа бала дӀабаьлла. Ткъа цунна тӀаьххье тӀебогӀуш кхин а ши бала бу.</verse>
				<verse number="13">ЙолхалгӀачу малико а лекхира турба. ТӀаккха Далла хьалха лаьтташ болчу деших бинчу кхерчан еа маӀа чуьра цхьа аз хезира суна.</verse>
				<verse number="14">Цо шен карахь турба йолчу йолхалгӀачу малике бохура: «Доккхачу Эпрат-хина йистехь дӀадихкина долу диъ малик дӀахеца!»</verse>
				<verse number="15">ТӀаккха и диъ малик дӀахийцира. Адамийн кхоалгӀа дакъа хӀаллакдан сахьтана а, денна а, баттана а, шарна а кечдина долу маликаш дара уьш.</verse>
				<verse number="16">Церан дошлойн эскарийн долу терахь хезира суна. Иза ши бӀе миллионан барамехь дара.</verse>
				<verse number="17">Иштта сайна дуьхьалхӀоьттинчу суьртехь суна дой гира, тӀехь дошлой а болуш. Царна тӀехь дара цӀарула-цӀечу а, лилула-сийначу а, можачу саьмгалан а басахь долу гӀаьгӀнаш. Дойн кортош лоьмийн коьртех тера дара. Церан багара схьаюьйлура цӀе а, кӀур а, саьмгал а.</verse>
				<verse number="18">Адамийн кхоалгӀа дакъа хӀаллакьхилира хӀокху кхаа баланан бахьанина: оцу дойн багара схьаюьйлучу цӀерах а, кӀуьрах а, саьмгалх а.</verse>
				<verse number="19">Цу говрийн ницкъ церан батошкаххьий, цӀогарчашкаххьий боллура. Церан цӀогарчий лаьхьанех тера дара. Цу лаьхьанийн кортош дара, цаьрца зенаш дора цара.</verse>
				<verse number="20">Ткъа оцу баланех далаза дисина кхидолу адамаш, шайна Ӏибадат дархьама, шаьш куьйга йинчу хӀуманех дӀа ца дирзира. Цара Ӏамал йора жинашна а, деших а, детих а, цӀастанах а, тӀулгах а, дечигах а бинчу цӀушна а, царна хӀумма а ца гушшехь а, уьш ца лелалушшехь а.</verse>
				<verse number="21">И адамаш дӀа ца дирзира нах байаран а, жиналла лелоран а, сийсаза долу хӀума лелоран а, къоланаш даран а некъа тӀера.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="10">
				<verse number="1">ТӀаккха суна кхин а цхьа нуьцкъала малик гира, стигалара охьадуссуш долу. Иза шена тӀе марха юьйхина долуш санна дара, цуьнан коьрта тӀехула стелаӀад а дара. Юьхь, малх санна, яра. Когаш, цӀерах богу бӀогӀамаш санна, бара.</verse>
				<verse number="2">Ткъа цуьнан карахь дӀаделладелла долу хьарчийна жима тептар дара. Цу малико шен аьтту ког хӀорда тӀе биллира, аьрру ког лаьтта тӀе биллира.</verse>
				<verse number="3">Цо, лоьмо санна, чӀогӀа мохь туьйхира. Цо кхайкхинчул тӀаьхьа, ворхӀе а ткъес туьйхира, церан гӀовгӀанаша къамел а деш.</verse>
				<verse number="4">Цу ворхӀе а озо къамел дича, со дӀаяздан волавелира, амма цу хенахь суна стигалара аз хезира. Цо соьга бохура: «Оцу ворхӀе а ткъесо дийцинарг къайла а даккха, иза дӀа а ма язде».</verse>
				<verse number="5">Суна хӀордана тӀехь а, лаьтта тӀехь а лаьтташ гина долчу малико, шен аьтту куьг стигала хьала а кховдийна,</verse>
				<verse number="6">стигал а, латта а, хӀорд а, царна чохь мел долу хӀума а кхоьллина волчу, ерриг а тӀейогӀучу заманна волуш Волчун цӀарах чӀагӀо йира: «Дала кхин лур яц шуна хан.</verse>
				<verse number="7">ВорхӀалгӀачу малико турба локхучу хенахь Делан къайлаха йолу Ӏалашо чекхъер ю, Цо Шен ялхой болчу пайхамаршка хаам бина ма-хиллара», — аьлла.</verse>
				<verse number="8">Стигалара суна хезначу цу озо, юха а соьца къамел а деш, элира: «Ваха а гӀой, и делладелла долу хьарчийна тептар хӀорда тӀехь а, лаьтта тӀехь а лаьтташ долчу маликан карара схьаэца».</verse>
				<verse number="9">Аса, оцу маликана тӀе а вахана, цуьнга дийхира: «Лохьа соьга и тептар», — аьлла. Малико соьга элира: «ДӀа а эций, и тептар даа. Хьан кийрахь иза къаьхьа хир ду, амма хьан багахь, моз санна, мерза хир ду и».</verse>
				<verse number="10">Маликан карара тептар схьа а эцна, аса и диира. Моз санна, мерза дара иза сан багахь. Ткъа аса и тептар диъча, сан кийра къахьбелира.</verse>
				<verse number="11">Соьга элира: «Ахьа юха а Делера болу хаам бан безар бу дуккха а долчу халкъех а, къаьмнех а, меттанех а, паччахьех а лаьцна».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="11">
				<verse number="1">Йохалла юстархьама Ӏасанах тера болу эрз белира сан кара. ТӀаккха соьга элира: «Хьала а гӀаттий, Делан цӀа а дуста, сагӀа доккху кхерч а буста, цу цӀа чуьра Далла Ӏамал ян догӀу адамаш а дагарде.</verse>
				<verse number="2">Ткъа Делан цӀенна арахула йолу керт царна юкъа ма ялае, иза юста а ма юста, хӀунда аьлча и кхечу къаьмнашна дӀаелла ю. Цара шовзткъе шина баттахь и еза гӀала хьоьшур ю.</verse>
				<verse number="3">Аса Сайн шина тешана олалла лур ду Сайгара болу хаамаш бан. Вон тӀедеача тӀеюхуш йолу бедарш тӀе а юьйхина, цхьа эзар ши бӀе кхузткъа дийнахь Соьгара болу хаамаш дӀакхайкхор бу цара».</verse>
				<verse number="4">Дерриг а Лаьтта тӀехь олалла Дечунна хьалха лаьтташ долу ши зайт-дитт а, ши къуьда а бу и ши теш.</verse>
				<verse number="5">Нагахь цу шина тешана цхьанна зулам дан лаахь, церан багара араяьллачу цӀаро мостагӀий дӀакхоллур бу. Муьлхха а цу шинна зулам дан лиънарг цу тайпана хӀаллакван везаш ву.</verse>
				<verse number="6">Цу шиннан карахь ду, Делера болу хаам шаьш дӀакхайкхочу деношкахь лаьтта тӀе догӀа ца даийтархьама, стигал дӀакъовлар. Иштта цу шиннан долахь ду хиш — церан олаллехь ду царах цӀий дар. Церан бакъо ю, шайна мосазза лии, муьлхха а тайпана долу ун Лаьттахь дӀасадаржо.</verse>
				<verse number="7">Уьш шайн тоьшалла дина чекхбевлча, бух боцучу Ӏин чуьра хьаладолуш долу экха тасалур ду царах. Цу экхано, толам а баьккхина, и шиъ вуьйр ву.</verse>
				<verse number="8">Церан декъий сийлахьчу гӀалин коьртачу урамехь дуьтур ду. Кица далош аьлча, цу гӀаланах кхин тайпана Седам а, Мисар а олу. Цигахь церан Веза Эла жӀарах дӀатоьхна хилла.</verse>
				<verse number="9">ТӀаккха кхаа дийнаххьий, эха дийнаххьий массо а халкъашна а, тайпанашна а, меттанашна а, къаьмнашна а юкъара дукхах долчу адамашна и декъий гур ду. И ши дакъа къубба чу дуьллуьйтур дац.</verse>
				<verse number="10">Лаьттахь дехаш долу адамаш, цу хиллачух даккхий а деш, самукъадаьлла хир ду. Наха вовшашка совгӀаташ а кхийдор ду, оцу шина пайхамаро лаьттахь дехаш долу адамаш дукха хьийзина хилла дела.</verse>
				<verse number="11">Ткъа кхо дей, ах дей дӀадаьлча, цу шинна чу Делера йолу дахаран Ӏаь юьйлира. ТӀаккха и шиъ шайн когаш тӀе хьалахӀоьттира. Ткъа цаьрга хьоьжуш берш чӀогӀа кхерабелира.</verse>
				<verse number="12">Шина пайхамарна стигалара чӀогӀа аз хезира. Цо бохура: «Хьаладовла кхуза!» ТӀаккха и шиъ мархица стигала хьалавелира. Ткъа церан мостагӀий цаьрга хьоьжуш бара.</verse>
				<verse number="13">Цу сохьта чӀогӀа мохк бегийра. ГӀалин уьтталгӀа дакъа доьхна дӀадахара. Мохк бегочу хенахь ворхӀ эзар адам делира. Ткъа бисинчара, чӀогӀа кхера а белла, стигаларчу Далла хастамаш бира.</verse>
				<verse number="14">ТӀебеана болу шолгӀа бала а дӀабелира, амма кестта тӀебогӀуш кхоалгӀа бала а бу.</verse>
				<verse number="15">ВорхӀалгӀачу малико а Шен карара турба лекхира. ТӀаккха стигалахь чӀогӀа аьзнаш девлира. Цара бохура: «Дерриг а дуьнен тӀера пачхьалкх хӀинца дуьйна вайн Везачу Элан а, Цо леррина Къобалвинчун а карахь ю. Цо ерриг а тӀейогӀучу заманна паччахьалла дийр ду».</verse>
				<verse number="16">Далла хьалха долчу паччахьан гӀанташна тӀе хиъна Ӏаш волчу ткъе веа къаночо, шайн кортош лаьтта кхаччалц охьа а таӀийна, Далла Ӏибадат дора.</verse>
				<verse number="17">Цара бохура: «Ва массо а ницкъийн Веза Дела, Хьуна бу хастам, волуш волу а, хилла волу а Веза Эла, Ахьа, Хьайн доккха олалла тӀе а лаьцна, паччахьалла дан доладарна.</verse>
				<verse number="18">Къаьмнаш дарделла дӀахӀиттира, амма хӀинца Хьан оьгӀазло а тӀееана, Ахь беллачарна тӀехь кхел ен хан а тӀекхаьчна. Ахьа Хьайн ялхой болчу пайхамаршна а, Хьан долахь болчарна а, Хьо лоруш болчарна а, лараме боцучарна а, цӀеяхана болчарна а хьакъ дерг дӀало хан а тӀееана. Латта хӀаллакдеш берш хӀаллакбо хан а тӀееана!»</verse>
				<verse number="19">Стигалшкара Делан цӀа дӀаделладелира. Цу чохь Цуьнца бинчу бертан деза тӀорказ дара гуш. ТӀаккха ткъес а туьйхира, аьзнаш а девлира, стигал а къийкъира, мохк а бегийра, йоккха къора а туьйхира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="12">
				<verse number="1">Стигалахь цхьа йоккха билгало дӀахӀоьттира. Цигахь малхах дина духар тӀехь долу зуда яра. Цуьнан когаш кӀел бутт бара. Ткъа коьрта тӀехь шийтта седа болу таж дара.</verse>
				<verse number="2">И зуда берах яра. Бер дан хьийзочу лазаршна, цо мохь хьоькхура.</verse>
				<verse number="3">Кхин а цхьана билгалонан сурт а хӀоьттира стигалахь. Боккха цӀен саьрмик гучубелира. Цуьнан ворхӀ корта а бара, итт маӀа а яра, хӀора коьрта тӀехь таж а дара.</verse>
				<verse number="4">Стигалахь долчу седарчийн кхоалгӀа дакъа, шен цӀоганца дӀа а гулдина, лаьтта охьатесира цо. И саьрмик бер дан дезаш йолчу зудчунна хьалха лаьтташ бара, и бер, дуьнен чу ма-делли, дӀакхаллархьама.</verse>
				<verse number="5">Оцу зудчо кӀант вира. Иза аьчка гӀожаца массо а халкъашна тӀехь олалла дан билгалваьккхинера. ЦӀеххьана и бер Далла хьалха, Цуьнан Ӏаршана тӀе дӀадигира.</verse>
				<verse number="6">Ткъа и зуда яьссачу аренга дӀаедира. Цигахь, цхьа эзар ши бӀе кхузткъа дийнахь цу зудчун дола дайтархьама, Дала цунна меттиг кечйинера.</verse>
				<verse number="7">Стигалахь тӀом болабелира. Микаал-малико а, цуьнан маликаша а саьрмикна дуьхьал тӀом бира. Ткъа саьрмик а, цуьнан тиладелла маликаш а царна дуьхьалдевлира.</verse>
				<verse number="8">Саьрмик а, цуьнан тиладелла маликаш а цу къовсамехь дуьхьал ца латтаделира. Стигалшкахь кхин меттиг яцара царна.</verse>
				<verse number="9">И боккха саьрмик Лаьтта охьатесира. Иза массарна а бевзаш болу шира лаьхьа бара. Цунах иблис а, Делан мостагӀа а олу. Цо дерриг а дуьне Ӏехадо. Цуьнца цхьаьна цуьнан маликаш а лаьтта охьатийсира.</verse>
				<verse number="10">ТӀаккха стигалахь чӀогӀа аз хезира суна. Цу озо бохура: «ХӀинца Дала вай кӀелхьардахар а, Цуьнан нуьцкъалалла а, паччахьалла а тӀекхаьчна. Цо леррина Къобалвинчун олалла а тӀедеана! ХӀунда аьлча, дийнаххьий, буьйсанний вайн Далла хьалха вайн динан вежарий бехке а ийзош, уьш бехкебийриг Лаьтта охьатесна.</verse>
				<verse number="11">Вайн динан вежарша Ӏахаран цӀийца а, шайн тоьшаллин дашца а иза эшийна. Шаьш делла дӀадовллалц шайн са а ца кхоийна цара.</verse>
				<verse number="12">Иштта, яккхийелаш стигалш а, стигалш тӀехь дехаш дерш а! Декъаза ду-кх лаьтта тӀехь а, хӀорда чохь а дехаш дерш! ХӀунда аьлча, шен йисина хан кӀеззиг юйла а хууш, дарделла долу иблис шу долчу лаьтта доьссина!»</verse>
				<verse number="13">Ша лаьтта охьатеснийла а гина, и саьрмик кӀант винчу зудчунна тӀаьхьабелира.</verse>
				<verse number="14">Ткъа зудчунна йоккхачу аьрзун ши тӀам белира, яьссачу аренга шена кечйинчу метте иза тӀема ялийтархьама. Цигахь, саьрмикна уллора дӀа а яьккхина, зама а, заманаш а, ахзама а чекхъяллалц, цуьнан дола дийр долуш дара.</verse>
				<verse number="15">ТӀаккха зудчунна тӀаьхьабаьллачу саьрмико шен багара хи туьйхира, цуьнга и зуда дӀаяхьийтархьама.</verse>
				<verse number="16">Амма Лаьтто гӀо дира цу зудчунна. Саьрмико багара схьатесна долу и хи, дӀасадаханчу лаьттан кийрано дӀахуьйдира.</verse>
				<verse number="17">Саьрмик чӀогӀа дарбелира цу зудчунна. Иза цу зудчун тӀаьхьенах болчу кхечаьрца тӀом бан бахара. Уьш бара, Делан весеташ кхочуш а деш, Ӏийсах лаьцна долу тоьшалла лардеш берш.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="13">
				<verse number="1">ХӀордан гӀамар тӀехь хӀоьттина Ӏара и саьрмик. Суна хӀорда чуьра схьадолуш долу цхьа экха гира. Цуьнан ворхӀ корта а бара, итт маӀа а яра. МаӀаш тӀехь итт таж дара. Цуьнан кортош тӀехь Дела сийсазвеш йолу цӀераш яра.</verse>
				<verse number="2">И суна гина долу экха цӀокъбергах тера дара. Цуьнан когаш чен когех тера бара. Ткъа цуьнан бага лоьман баганах тера яра. Саьрмико шен ницкъ а, шен олаллин меттиг а, доккха олалла а делира цу экханна.</verse>
				<verse number="3">ТӀаккха суна гира цуьнан кортойх цхьанна йина иза лийр долуш санна йолу Ӏожаллин чов, амма и чов дӀайирзира. Дерриг а дуьне, цец а даьлла, цу экханна тӀаьхьаделира.</verse>
				<verse number="4">Адамаша цу саьрмикна Ӏибадат дора, цо шен олалла цу экханна делла дела. Наха, цу экханна Ӏибадат а деш, олура: «Кху экхане кхочуш мила ву? Мила ву цуьнца къовсалур волуш?»</verse>
				<verse number="5">Кура а, Ӏеса а къамелаш ден бага елира цу экханна. Шовзткъе шина баттахь иштта Ӏан бакъо елира цунна.</verse>
				<verse number="6">Дела а, Делан цӀе а, Дела веха меттиг а, стигалахь бехаш берш а, сийсаз а беш, Ӏеса къамелаш дан долийра цо.</verse>
				<verse number="7">Цунна бакъо елира Делан нахаца тӀом бан а, царна тӀехь толам баккха а. Иштта массо а тайпанашна а, халкъашна а, меттанашна а, къаьмнашна а тӀехь олалла дан бакъо елира цунна.</verse>
				<verse number="8">Бийначу Ӏахаран карахь долчу дахаран тептар тӀе шайн цӀераш дуьне кхуллуш дуьйна а дӀаяздина доцу массо а адамаш цу экханна Ӏамал еш хир ду.</verse>
				<verse number="9">Лергаш долчо ладугӀийла хӀокхуьнга.</verse>
				<verse number="10">Адамна йийсар динарг ша а вуьгур ву йийсаре. Туьраца стаг вийнарг ша а лийр ву туьрах. Цу тӀехь оьшу Делан долахь болчарна доьналла а, тешар а.</verse>
				<verse number="11">Иштта суна гира лаьттан кийрара схьадолу кхин а цхьа экха. Цуьнан, Ӏахаран санна, ши маӀа яра. Цо, саьрмико санна, къамел дора.</verse>
				<verse number="12">Хьалхарчу экханна хьалха ша долчу хенахь, цу экханан ерриге а бакъонаш лелайора цо. Цу шолгӀачу экхано дерриг а Лаьтте а, цу тӀехь дехачу адамашка, а Ӏожаллин чов а хилла, амма тоделлачу хьалхарчу экханна Ӏибадат дайтира.</verse>
				<verse number="13">Цо инзаре тамашийна билгалонаш гайтира. Ур-атталла стигалара лаьтта тӀе цӀе а охьайоуьйтура цо адамашна хьалха.</verse>
				<verse number="14">ШолгӀачу экхано вукху экханна хьалха Ӏаламаташ лело бакъо елира. Уьш лелорца цо лаьттахь деха адамаш Ӏехадора. Лаьттахь бехаш болчу массарна а цо тӀедуьллура, туьрах Ӏожаллин чов а хилла, амма денделлачу хьалхарчу экханан дина сурт шайна тӀедиллийтар.</verse>
				<verse number="15">ШолгӀачу экханна бакъо елира цу хьалхарчу экханан суьрта чу са дилла а, къамел дайтархьама а, хӀора оцу экханан суьртана хьалха Ӏибадат цадийриг вен бакъо хилийтархьама а.</verse>
				<verse number="16">ШолгӀачу экхано массо а адамийн — лараме воцчун а, цӀеяханчун а, хьалдолчун а, мискачун а, паргӀат волчун а, лай волчун а — аьтту куьйга тӀе я хьаьжа тӀе мухӀар таӀор тӀедиллира.</verse>
				<verse number="17">Цу экханан мухӀар таӀийна воцучу цхьаннан а йиш ца хилла хӀумма а я эца а, я йохка а. Ткъа оцу мухӀар тӀехь цу экханан цӀе я цуьнан цӀеран терахь дара.</verse>
				<verse number="18">Цу тӀехь хьекъалалла оьшу. Хьекъал шен долчо цу экханан терахь, талла а теллина, билгалдаккха. ХӀунда аьлча иза адамийн терахьца догӀуш ду. Цуьнан терахь ду ялх бӀе кхузткъе ялх.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="14">
				<verse number="1">Со дӀахьаьжча, суна Цийон-лам тӀехь лаьтташ болу и Ӏахар гира. Цуьнца цхьаьна лаьтташ цхьа бӀе шовзткъе виъ эзар стаг вара. Церан хьаьжнашна тӀехь Цуьнан цӀе а, Цуьнан Ден цӀе а дӀаязйина яра.</verse>
				<verse number="2">Суна стигалара аз хезира. Цуьнан гӀовгӀа чухчарин гӀовгӀанах а, чӀогӀа къекъачу стигалан гӀовгӀанах а тера яра. Шайн дечиг-пондаршна тӀехь эшарш лоькхучу пондарчийн аз а хезира суна.</verse>
				<verse number="3">Цу нехан тобано стигаларчу Ӏаршана а, деа дийнатна а, къаношна а хьалха керла йиш лоькхура. Ткъа лаьттара, мах а белла, кӀелхьарваьккхинчу, цхьа бӀе шовзткъе виъ эзар стаге бен, кхин цхьаьнгге а и йиш ца Ӏамалора.</verse>
				<verse number="4">Уьш, зудчух куьг тохаза, кӀантстегарий бара. Уьш бара, Ӏахар стенгга бодахь а, Иза воьддучу дӀабоьлхуш берш. Мах а белла, адамашна юкъара паргӀатбаьхна бара уьш, Далла а, Ӏахарна а ялтин хьалхара стоьмаш санна дӀабалархьама.</verse>
				<verse number="5">Церан багара цхьа а харцдерг ца долура, уьш бехк буьллийла доцуш бара.</verse>
				<verse number="6">ТӀаккха суна стигална юккъехула тӀемадаьлла доьду кхин а цхьа малик гира. Цуьнгахь даим болу хаза кхаъ бара, иза Лаьттахь бехаш болчу массарна а баийтина бара, хӀора къомана а, тайпанна а, маттана а, халкъана а дӀакхайкхорхьама.</verse>
				<verse number="7">Цу малико, мохь туххуш, бохура: «Делах кхералаш! Цунна хастамаш белаш! ХӀунда аьлча Цо кхел ен хан тӀекхаьчна. Стигал а, латта а, хӀорд а, хин хьостанаш а Кхоьллинчунна Ӏамал елаш».</verse>
				<verse number="8">Кхин а цхьа малик цуьнан лорах дӀадахара. Цо бохура: «Ма хӀаллакьхили иза! ХӀаллак а хилла, дӀаели йоккха Бавел-гӀала. Ша сийсаза леларна, Дела дарвеш волу чагӀар малийна цо массо а халкъашна».</verse>
				<verse number="9">КхоалгӀа малик а дахара церан лорах. Цо, мохь туххуш, бохура: «Нагахь цхьаммо оцу экханна я цуьнан суьртана Ӏибадат а дахь, я шен хьаьжа тӀе, я шен куьйга тӀе цу экханан мухӀар а таӀадайтахь,</verse>
				<verse number="10">Делан оьгӀазлонан кеда чу, э а ца деш, доьттина долу Делан дераллин чагӀар мер ду цо. Иштта волу стаг Делан маликашна а, Ӏахарна а хьалха цӀергахь а, саьмгал чохь а хьийзор ву.</verse>
				<verse number="11">Уьш хьийзош йолчу цӀеран кӀур массо а заманахь хьалаоьхур бу. Цу тайпана я дийнахь, я буьйсанна синтем хир бац, оцу экханна а, цуьнан суьртана а Ӏибадат а деш, цуьнан цӀеран мухӀар тӀеэцначийн».</verse>
				<verse number="12">Кхузахь, Делан хьехамаш лар а беш, Ӏийсана тешаме дуьсуш долчу Делан адамашна доьналла долуш хилар оьшу.</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха суна стигалара аз хезира. Цо соьга бохура: «ДӀаязде: „ХӀинца дуьйна декъал бу, Везачу Элах тешар а долуш, леш берш“». «Билггал бакъ ма ду, — боху Делан Сино, — Шаьш дечу гӀуллакхех садоӀур ду цара. Церан гӀуллакхаш а царна тӀаьххье дӀагӀур ду».</verse>
				<verse number="14">Со дӀахьаьжча, суна кӀайн марха гира. Цу мархина тӀехь «адамийн кӀантах тера волу цхьаъ» вара охьахиъна. Цуьнан коьрта тӀехь деших дина таж дара. Ткъа карахь ира марс бара.</verse>
				<verse number="15">Делан цӀа чуьра кхин а цхьа малик араделира. Цо мархина тӀе охьахиъна волчуьнга айдинчу озаца, мохь туххуш, элира: «Хьайн марс схьа а эций, ялта хьакха! ХӀунда аьлча лаьттахь ялта кхиъна а даьлла, марс хьокху хан тӀе а кхаьчна».</verse>
				<verse number="16">ТӀаккха стигаларчу мархина тӀехиъна волчо, лаьттана тӀехула шен марс хьала а айина, лаьттара ялта хьаькхира.</verse>
				<verse number="17">Стигалахь долчу Делан цӀа чуьра кхин а цхьа малик араделира. Цуьнгахь а ира марс бара.</verse>
				<verse number="18">Ткъа сагӀа доккхучу кхерчана уллора цӀарна тӀехь олалла деш долу кхин а цхьа малик тӀедеара. Цо куьйгахь ира марс болчуьнга айдинчу озаца, мохь туххуш, элира: «Хьайн ира марс схьа а эций, лаьттарчу кемсийн таьллангашна тӀера кемсийн хорханаш схьаяха, хӀунда аьлча и кемсаш хилла яьлла».</verse>
				<verse number="19">ТӀаккха малико шен ира марс лаьтта тӀехула хьалаайира. Лаьттара кемсаш, хеда а йина, Делан дераллин муттдоккхургана чу тесира цо.</verse>
				<verse number="20">ГӀалина арахьа лаьттачу муттдоккхурга чохь и кемсаш Ӏаьвдира. ТӀаккха цу чуьра цӀий охьадахара, говрийн дуьрстанашна тӀе кхаччалц хьала а долуш. Иза кхо бӀе чаккхарма хиллал гонах дӀасадаьржира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="15">
				<verse number="1">ТӀаккха стигалахь кхин а цхьа тамашийна билгало гира суна. Иза йоккха а, инзаре а яра. Шайгахь тӀаьххьара бисина ворхӀ бала болу ворхӀ малик а дара цигахь. Уьш тӀаьххьара баланаш бара, хӀунда аьлча цаьрца чекхйолура Делан дералла.</verse>
				<verse number="2">ТӀаккха цӀерах дӀаийна долчу ангалин болуш санна, хӀорд гира суна. Ткъа оцу экханна а, цуьнан суьртана а тӀехь — шен цӀеран терахь долчу цхьанна тӀехь — толам баьккхинарш цу ангалин хӀордана йистехь лаьтташ бара. Церан карахь Дала делла мерз-пондарш дара.</verse>
				<verse number="3">Цара Далла гӀуллакх деш хиллачу Муса-пайхамаран а, Ӏахаран а илли олура: «Даккхий а, инзаре а ду Хьан гӀуллакхаш, массо а ницкъийн Веза Дела! Нийса а, билггал бакъ а ду Хьан некъаш, дуьненан къаьмнийн Паччахь!</verse>
				<verse number="4">Мила кхоьрур вацара Хьох, ва Веза Эла? Хьан цӀе а хьан язйийр яцара? ХӀунда аьлча Хьо цхьаъ ву веза! Массо а халкъаша, тӀе а даьхкина, Хьуна хьалха Ӏибадат дийр ду. ХӀунда аьлча Ахь нийсонца лелош долу гӀуллакхаш тхуна гучу ма девлла».</verse>
				<verse number="5">Цул тӀаьхьа со дӀахьаьжира. ТӀаккха стигалахь долчу тоьшаллин Четаран уггар а еза чоь дӀаеллаелира.</verse>
				<verse number="6">Цу чоьнна чуьра, тӀаьххьара хир болу ворхӀ бала а бахьаш, ворхӀ малик араделира. Царна тӀехь яра дуткъачу кӀадих йина цӀена а, къегаш йолу а бедарш. Некхана гонах дашо доьхкарш а дара.</verse>
				<verse number="7">Цул тӀаьхьа деа дийнатах цхьаммо оцу маликийн кара ворхӀ дашо бога делира. Ерриг а тӀейогӀучу заманна а вехаш волчу Делан дераллех дуьзна дара и боганаш.</verse>
				<verse number="8">ТӀаккха Делан сийлаллин а, нуьцкъалаллин а кӀуьрах дуьзира и Делан цӀа. Ткъа оцу ворхӀ малико беана ворхӀ бала дӀабаллалц, цхьанна а стеган цу цӀа чу ваха йиш яцара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="16">
				<verse number="1">Суна Делан цӀа чуьра аз хезира. Цо ворхӀ малике бохура: «ГӀой, Делан оьгӀазлонан ворхӀе а боган чохь дерг лаьтта тӀе охьадотта».</verse>
				<verse number="2">Хьалхарчу малико, дахана, шен боган чохь дерг лаьтта тӀе охьадоьттира. ТӀаккха шайна тӀехь экханан мухӀар а долуш, цуьнан суьртана Ӏибадат деш долчу адамашна тӀехь чӀогӀа дера а, ирча а ноткъа оьху даьӀнаш даьржира.</verse>
				<verse number="3">ШолгӀачу малико шен боган чохь дерг хӀорда чу охьадоьттира. ТӀаккха хӀорд, деллачу адамийн цӀийх а тарлуш, цӀий хилла дӀахӀоьттира. Ткъа хӀорда чуьра массо а дийна мел долу хӀума делира.</verse>
				<verse number="4">КхоалгӀачу малико шен боган чохь дерг хиш чу а, хин хьостанаш чу а охьадоьттира. Царах цӀий хилира.</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха хиш карахь долчу малико олуш суна хезира: «Нийса ву Хьо волуш волу а, хилла волу а Везаниг, Ахь йина кхелаш иштта хиларна.</verse>
				<verse number="6">Хьан долахь болчеран а, Хьан пайхамарийн а цу наха цӀий Ӏанорна, Ахь цаьрга цӀий малийти. Царна и дан хьакъ а ду».</verse>
				<verse number="7">СагӀа доккхучу кхерчана уллора а аз хезира суна. Цо бохура: «ХӀаъ, массо а ницкъийн Веза Дела, билггал бакъ а, нийса а ю Хьан кхелаш».</verse>
				<verse number="8">ДоьалгӀачу малико шен боган чохь дерг малхана тӀе охьадоьттира. Ткъа малхан караделира адамаш цӀергахь марцар.</verse>
				<verse number="9">Нуьцкъалчу йовхоно адамаш дагадора. Ткъа и баланаш тӀебахкийта бакъо йолуш волчу Делан цӀе емалйора цара. Шайн къинойх дӀа а ца къаьстира уьш, Далла хастамаш а ца бира цара.</verse>
				<verse number="10">ПхоьалгӀачу малико шен бога экханан олаллин гӀанта тӀе охьаӀанийра. ТӀаккха церан пачхьалкх, Ӏаьржа бода а хӀоьттина, кхоьлира. Адамаша, лазаршна са ца тохадаларна, шайн меттанаш Ӏуьйшура.</verse>
				<verse number="11">Шайн лазарш а, даьӀнаш долу чевнаш а бахьанехь адамаша стигаларчу Далла сардамаш доьхура. Амма шаьш лелийначу гӀуллакхех дӀа ца боьрзура уьш.</verse>
				<verse number="12">ЙолхалгӀачу малико шен бога Эпрат цӀе йолчу доккхачу хи чу охьадоьттира. ТӀаккха, малхбалехьарчу паччахьашна некъ кечбархьама, и хи лекъира.</verse>
				<verse number="13">ТӀаккха суна гира саьрмикан багара а, экханан багара а, харцпайхамаран багара а арадолу, бецан пхьидех тера долу кхо харц жин.</verse>
				<verse number="14">Уьш жинийн синош дара. Цара тамашийна хӀуманаш дора. И жинаш дерриг а дуьнен чуьра паччахьашна тӀе дахара, массо а ницкъийн Делан сийлахьчу дийнахь уьш тӀаме схьагулбархьама.</verse>
				<verse number="15">«ЛадогӀалаш! Со, къу санна, цӀеххьана вогӀур ву. Декъала бу, шаьш берзина ца хилийтархьама а, шайн бехке меттигаш гучу ца яхархьама а, тӀеюху бедарш куьйга кӀел а латтош, сема берш».</verse>
				<verse number="16">Иштта, и паччахьаш Ӏебархойн маттахь ХӀар-Магдон олучу метте дӀагулбира оцу жинаша.</verse>
				<verse number="17">ВорхӀалгӀачу малико шен боганна чуьрниг хӀаваэ охьадоьттира. ТӀаккха стигалшкарчу Делан цӀа чуьра Ӏаршана тӀера чӀогӀа аз хезира. Цо элира: «Кхочушхили!»</verse>
				<verse number="18">ТӀаккха ткъес туьйхира, стигал къийкъира, гӀовгӀанаш евлира, чӀогӀа мохк бегийра. Адамаш лаьттахь дехаш долчу хенахь дуьйна, цкъа а ца хиллачу кепара чӀогӀа мохк бегийра.</verse>
				<verse number="19">Йоккха гӀала кхаа декъе екъаелира. Ткъа кхечу къаьмнийн гӀаланаш хӀаллакьхилира. Йоккха Бавел-гӀала Шена дагахь йолу дела, Дала таӀзар дира цунна. Дала Шен кеда чуьра Шен оьгӀазечу дераллин чагӀар дӀамалийтира цуьнга.</verse>
				<verse number="20">ХӀора гӀайре а дӀаелира, ткъа лаьмнех кхин хӀумма а ца дисира.</verse>
				<verse number="21">Стигалара охьа адамашна тӀе хӀора буьртиг ши мазал хир йолу къора туьйхира. ТӀаккха адамаша оцу къорано хӀоттийна бала бахьана долуш Далла сардамаш доьхкира, хӀунда аьлча и бала инзаре боккха бара.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="17">
				<verse number="1">ТӀаккха шайн карахь ворхӀ бога долчу ворхӀ маликах цхьаъ суна тӀедеара. Цо соьга элира: «ТӀехилал! Ас хьуна гойтур ду, дуккха а долчу хишна тӀе а хиъна, чӀогӀа сийсаза лелаш йолчунна дийр долу таӀзар.</verse>
				<verse number="2">Лаьттара паччахьаш а сийсаза лелара цуьнца цхьаьна. Лаьттахь бехарш а, цуьнан сийсаза леларан чагӀар а муьйлуш, бехаш бара».</verse>
				<verse number="3">Делан Са суна тӀе доьссича, цу малико со яьссачу аренга вигира. Цигахь суна зуда гира. Иза цӀечу экханна тӀехиъна яра. Цу экханна тӀехь массанхьа а Дела сийсазвеш йолу цӀераш а яра, цуьнан ворхӀ корта а, итт маӀа а яра.</verse>
				<verse number="4">Зудчунна тӀехь таьӀна цӀечу басахь а, цӀарула-цӀечу басахь а духар дара. Деших йина хӀуманаш, деза тӀулгаш, жовхӀарш дара цунна тӀехь. Цуьнан карахь дашо кад бара. И кад вас еш долчу гӀуллакхех а, нахаца леларан боьхачу гӀуллакхех а буьзна бара.</verse>
				<verse number="5">Зудчун хьаьжа тӀе язйина къайлаха маьӀна долу цӀе яра: «Йоккха Бавел-гӀала сийсаза лелачеран а, лаьттарчу вас еш долчу гӀуллакхийн а нана ю», — аьлла.</verse>
				<verse number="6">ТӀаккха суна гира Делан долахь болчеран а, Ӏийсана тешаме хилар бахьанехь байинчеран а цӀийно и зуда яхийна хилар. Иза гича, со чӀогӀа инзарваьллера.</verse>
				<verse number="7">Малико соьга элира: «Хьо инзар хӀунда вуьйлу? Оцу зудчун а, иза шена тӀехь лелош долчу ворхӀ корта а, итт маӀа а йолчу экханан а къайле юьйцур ю ас хьуна.</verse>
				<verse number="8">Хьуна гина долу и экха цкъа мацах дийна дара, ткъа хӀинца делла. Амма иза кхин цкъа а, бух боцучу Ӏин чуьра хьала а даьлла, шен хӀаллакьхиларна тӀедогӀур ду. ТӀаккха, хӀара дуьне кхуллуш дуьйна а шайн цӀераш дахаран тептар тӀе дӀаязйина а йоцуш, лаьттахь бехарш, и экха шайна гича, цецбевр бу. ХӀунда аьлча иза цкъа дийна а хилла, тӀаккха делла, амма юха, ден а делла, схьадогӀур ду.</verse>
				<verse number="9">Кхузахь хьекъалх буьзна кхетам оьшу. ВорхӀ корта — иза зуда тӀехиъна болу ворхӀ гу бу.</verse>
				<verse number="10">Иштта уьш ворхӀ паччахь ву бохург а ду. Царах пхиъ велла. Цхьаъ хӀинца а дийна ву. Ткъа тӀаьххьарниг хӀинца а схьаваза ву. Иза схьавеача, кӀезигчу хенахь бен паччахьалла дан ца деза цуьнан.</verse>
				<verse number="11">Ткъа мацах дийна а хилла, хӀинца делла долу экха — иза оцу ворхӀаннах цхьаъ волу борхӀалгӀа паччахь ву. Иза шен хӀаллакьхиларна тӀевогӀур ву.</verse>
				<verse number="12">Хьуна гуш йолу итт маӀа — уьш хӀинца а олалла дан волавалаза волу итт паччахь ву. Царна хӀоранна а цхьацца сахьтехь экханца цхьаьна, паччахьо санна, олалла дан бакъо лур ю.</verse>
				<verse number="13">Оцу итте а паччахьан цхьатерра Ӏалашонаш хир ю. Цара шайн ницкъ а, олалла а экханна дӀалур ду.</verse>
				<verse number="14">Цара Ӏахарца тӀом бийр бу. Ткъа Ӏахаро царна тӀехь толам боккхур бу, хӀунда аьлча Иза ву олахойн Олахо а, паччахьийн Паччахь а. Ткъа Цуьнца берш бу Цо кхайкхинарш а, къастийнарш а, тешаме берш а».</verse>
				<verse number="15">Малико соьга элира: «Шена тӀехь и нахаца лелаш ерг а йолуш, хьуна гина долу и хиш — уьш халкъаш а, тобанаш а, къаьмнаш а, меттанаш а бохург ду.</verse>
				<verse number="16">Хьуна гиначу итте а маӀана а, экханна а бӀаьрга ян а езар яц и нахаца леларг. Цуьнан долахь мел дерг схьа а даьккхина, цара иза ерзина йоккхур ю. Цара цуьнан дегӀ а дуур ду, и цӀергахь ягор а ю.</verse>
				<verse number="17">ХӀунда аьлча Дала оцу итт маӀан даг чу Шен Ӏалашо кхочушъяр чудиллина. Иштта цара вовшашца барт бийр бу шайн паччахьалла экханан дола дӀадала. Иза иштта хир ду, Делан дешнаш кхочушхиллалц.</verse>
				<verse number="18">Ткъа хьуна гина йолу зуда — иза лаьттарчу паччахьашна тӀехь олалла деш йолу йоккха гӀала ю».</verse>
			</chapter>
			<chapter number="18">
				<verse number="1">Цул тӀаьхьа суна гира стигалара охьадогӀу кхин а цхьа малик. Цуьнан долахь доккха олалла дара. Оцу маликан нуьро латта къагийра.</verse>
				<verse number="2">Цо айдинчу озаца, мохь тоьхна, элира: «Ма хӀаллакьхили иза! ХӀаллак а хилла, дӀаели-кх йоккха Бавел-гӀала. Жинашна Ӏан меттиг а, муьлххачу а харц жинна дӀалачкъа меттиг а хили цунах. Муьлххачу а хьарамчу олхазаран бен а, муьлххачу а хьарамчу а, маьттазчу а экханан бен а хили цунах.</verse>
				<verse number="3">ХӀунда аьлча ша сийсаза леларна, Дела дарвеш долу чагӀар малийна цо массо а халкъашна. Дуьнен чуьра паччахьаш а сийсазбевли цуьнца цхьаьна. Иштта дуьнен чуьра совдегарш а хьал долуш хилла дӀахӀиттира, цуьнан сов баккхий боьха лаамаш бахьана долуш».</verse>
				<verse number="4">ТӀаккха стигалара кхечу цхьана озо олуш хезира суна: «Сан халкъ, арадала оцу гӀали чуьра, цигахь къинош леточарна юкъахь дакъалоцуш хьо ца хилийта, хьуна хьайна а, царна санна, цамгарийн ун ца кхетийтархьама.</verse>
				<verse number="5">Цуьнан къинош стигала хьалакхаччал ду. Ткъа цуьнан харцонаш Далла дагахь ю.</verse>
				<verse number="6">Цо кхечарна динчу гӀуллакхашка хьажжий, дӀадекхалаш цунна! Цо шайна динчунна дуьхьал шозза а дӀадекхалаш цунна. Цо шайна чагӀар кечдинчу кедахь цул шозза дукха чагӀар кечде аша цунна.</verse>
				<verse number="7">Хьолана юкъа а яхана, шен сийлалла хьала а даьккхина, иза Ӏийна хиларе терра, аша а оццул баланехь а, гӀайгӀанехь а хилийта иза. ХӀунда аьлча цо шен дагахь боху: „Со паччахь хилла Ӏаш ю. Со йисина Ӏаш ерг яц. Со цкъа а хир яц гӀайгӀане!“</verse>
				<verse number="8">Цундела цхьана дийнахь богӀур бу цунна тӀе цуьнан баланаш: ялар а, гӀайгӀане хилар а, мацалла а. И гӀала цӀергахь йогур ю, хӀунда аьлча ницкъ болуш ву цунна кхел йо Веза Дела».</verse>
				<verse number="9">ТӀаккха, и гӀала йогуш, цунах хьалабаьлла кӀур шайна гича, цу гӀалахь сийсаза лелла болу а, хьал лакхадаьлла болу а дуьнен чуьра паччахьаш, цунна тийжа а тийжаш, боьлхур бу.</verse>
				<verse number="10">Цу гӀалина тӀедеанчу Ӏазапна, даг чу кхерамаш а тесна, генна дӀа а хӀиттина, цара эр ду: «Къа ду хьан, йоккха гӀала! Къа ду нуьцкъалчу Бавел-гӀалин! ХӀунда аьлча нийсса цхьана сахьтехь хьуна кхел йина-кх!»</verse>
				<verse number="11">Оцу гӀалина хилларг бахьанехь боьлхуш а, гӀайгӀанехь а хир бу дерриг а дуьнен чуьра совдегарш а. ХӀунда аьлча церан юхкуш йолу хӀуманаш хӀинца цхьаммо а оьцуш яц.</verse>
				<verse number="12">Уьш яра дашо а, дато а хӀуманаш а, деза тӀулгаш а, жовхӀарш а, дуткъачу кӀадих йина хӀуманаш а, таьӀна-цӀен долу кӀадеш а, дареш а, цӀарула-цӀен бос болу кӀадеш а. Иштта духкуш дара цара массо а тайпана хаза хьожа йогӀу дечиг а, пийлан кӀомсарех йина йолу тайп-тайпана хӀуманаш а, уггар а дезачу дечигах йина йолу массо а тайпана хӀуманаш а, цӀаста а, эчиг а, шагатӀулг а,</verse>
				<verse number="13">хаза хьожа йогӀу даьтта а, хаза хьожа йогӀу кӀур хьалабохуьйтург а, деза хьакхарш а, чагӀар а, зайтдаьтта а, дама а, ялта а, бежанаш а, уьстагӀий а, дой а, гӀудалкхаш а. Иштта леш а, йийсар динарш а бара цара бухкуш.</verse>
				<verse number="14">Цара эр ду: «Хьайн дола яха хьо хьегна мехала хӀуманаш ерриш а хьан долара дӀаевлла. Дерриге а сийлалла а, возалла а дайна, йиси хьо. Уьш кхин хир дац хьан».</verse>
				<verse number="15">И массо а хӀуманаш а юхкуш, мах лелош хилла болу, цунах хьал лакхадаьлла совдегарш, цуьнан баланех кхера а белла, гено дӀахӀуьттур бу. Боьлхуш а, гӀайгӀанехь а болуш,</verse>
				<verse number="16">цара эр ду: «Къа ду хьан, ва йоккха гӀала! Дуткъачу а, таьӀна-цӀечу а, цӀарула-цӀечу а кӀадийн бедарш тӀеюьйхира ахь. Дешин хӀуманашца а, дезачу тӀулгашца а, жовхӀаршца а кечйора хьо.</verse>
				<verse number="17">Цхьана сахьтехь хӀаллакьхили-кх оццул дукха хилла долу хьал!» Массо а хӀордкеманаш долахь берш а, хӀордкеманашна тӀехь болу некъахой а, кемалелорхой а, берриг а хӀордаца доьзна йохкаэцар лелош берш а генна дӀахӀиттира.</verse>
				<verse number="18">Цара, йогучу гӀалин цӀерах хьалаболу кӀур а гина, элира: «Муьлха гӀала яра те цу йоккхачу гӀаланах тера?!»</verse>
				<verse number="19">ТӀаккха шайн кортош тӀе ченаш тийсира цара. ГӀайгӀане а эгна, белха а боьлхуш, цара, мохь а бетташ, бохура: «Къа ду хьан, ва йоккха гӀала! ХӀордана тӀехь долу массо а хӀордкеманаш шайн долахь долчара оцу гӀалин деза а, мехала а мел долчу хӀуманах шайн хьал совдаьккхира. Ткъа хӀинца-м иза цхьана сахьтехь йоьхна дӀахӀоьтти».</verse>
				<verse number="20">Яккхийелаш шу, стигалш! Даккхийделаш шу, Делан долахь дерш а, векалш а, пайхамарш а! ХӀунда аьлча Дала кхел йина цунна, цо шуна мел дина вон бахьанехь.</verse>
				<verse number="21">Цхьана нуьцкъалчу малико, хьеран боккхачу тӀулгах тера болу тӀулг схьа а эцна, хӀорда чу кхоьссира. Цо элира: «Ишттачу ницкъаца хӀаллакйийр ю сел йоккха йолу Бавел-гӀала, иза кхин юха хир а йоцуш!</verse>
				<verse number="22">Кхин цкъа а хезар дац хьуна чохь мерз-пондар лоькхучеран а, иллеш олучеран а аьзнаш, шедагаш а, маӀаш а локхучеран а аьзнаш. Цхьана а тайпана пхьераш кхин хир бац хьуна чохь. Болх беш хьийзаш йолчу кохьаран гӀовгӀа а хезар яц хьуна чохь.</verse>
				<verse number="23">Къуьданан серло а кхин хир яц хьуна чохь. Кхин цкъа а хезар дац хьуна чохь нускалийн а, уьш балош болчеран а аьзнаш. Хьан совдегарш бара кху дуьненахь уггар а хьалдерш. Хьуна чохь болчу бозбунчаша Ӏехийнера массо а халкъаш».</verse>
				<verse number="24">Кху гӀалахь карийнера байинчу пайхамарийн а, Делан нехан а, массо а кху лаьттахь байинчеран а цӀий!</verse>
			</chapter>
			<chapter number="19">
				<verse number="1">Цул тӀаьхьа, йоккхачу тобано олуш санна, стигалара чӀогӀа аз хезира суна. Цо бохура: «Далла бу хастам! Вайн Делехь ду кӀелхьардовлар а, сийлалла а, нуьцкъалалла а.</verse>
				<verse number="2">Цуьнан кхелаш билггал бакъ а, нийсо йолуш а ю. Цо кхел йира оцу чӀогӀа сийсаза лелаш йолчунна, оцу йоккхачу гӀалина. Цо шен сийсаза леларца дуьне а бехдинера. Цо Делан ялхой болчеран цӀий Ӏанорна, Дала цунна догӀуш долу таӀзар дира».</verse>
				<verse number="3">ШозлагӀа а олуш хезира суна: «Хастам бу Далла! Ерриг а тӀейогӀучу заманна а хир бу цу гӀалина тӀехула хьалатуьйсуш кӀур».</verse>
				<verse number="4">ТӀаккха ткъе виъ къано а, диъ дийнат а Ӏаршана тӀехиъна Ӏаш волчу Далла хьалха суждане дахара. Цара бохура: «Амин! Хастам бу Далла!»</verse>
				<verse number="5">ТӀаккха оцу Ӏаршара схьадолу кхин а аз хезира. Цо бохура: «Хастамаш бе вайн Далла массо а Цуьнан ялхой болчара а, Цунах кхоьруш болчу лараме боцучара а, цӀеяханчара а».</verse>
				<verse number="6">Суна хезира йоккхачу тобанна чуьра долуш санна долу аз а. Чухчарин гӀовгӀанах я чӀогӀачу стигалан къекъарх тера дара и аз. Цо бохура: «Хастам бу Далла! ХӀунда аьлча массо а ницкъийн Веза Дела паччахьалла дан волавелла.</verse>
				<verse number="7">Даккхийдерца, самукъадаьлла хир ду вай. Далла хастамаш беш, Цуьнан сийлалла ойур ю вай. ХӀунда аьлча Ӏахаро зуда яло хан тӀекхаьчна, ткъа Цо ялош ерг кечъелла.</verse>
				<verse number="8">Цо цӀена а, лепаш долчу а дуткъачу кӀадинан коч тӀеюьйхина». (Ткъа и дуткъа кӀади — Делан долахь болчара Цуьнан лаамехь дина долу гӀуллакхаш бохург ду.)</verse>
				<verse number="9">Малико соьга элира: «ДӀаязде: „Декъала бу Ӏахаро зуда ялорна дӀахӀоттийначу тойне кхайкхинарш“». Кхин а цо элира: «ХӀорш билггал бакъдолу Делан дешнаш ду».</verse>
				<verse number="10">Со цуьнан когашка вуьйжира, цунна хьалха Ӏибадат дан дагахь, амма малико соьга элира: «Варелахь, и ма делахь! Со а ду Далла гӀуллакх деш дерг, хьо а, Ӏийсах лаьцна долу тоьшалла лардеш болу хьан вежарий а санна. Далла бен ма де Ӏибадат! ХӀунда аьлча Делера болчу хаамийн дух Ӏийсах лаьцна долу тоьшалла ду».</verse>
				<verse number="11">Суна гира дӀаеллаелла стигал. Цигахь лаьтташ кӀайн дин бара. Цу тӀе хиъна Волчух тешаме Верг а, билггал волу бакъ Верг а олу. Цо кхел яр а, тӀом бар а нийсонца леладо.</verse>
				<verse number="12">Цуьнан бӀаьргаш йогуш йолчу цӀерах тера ду. Ткъа Цуьнан коьрта тӀехь дуккха а таьжнаш ду. Цунна тӀехь язйина, Цунна Шена бен, кхин цхьанна а хууш йоцу цӀе ю.</verse>
				<verse number="13">ЦӀийно тӀадийна оба яра Цунна тӀехь. Беречун цӀе «Делан Дош» ю.</verse>
				<verse number="14">Цунна тӀаьхьахӀиттина догӀуш дара стигалан эскарш. Церан дошлой кӀайчу дойшна тӀехь бара, ткъа царна тӀехь яра цӀеначу дуткъачу лепаш долчу кӀадих йина бедарш.</verse>
				<verse number="15">Цуьнан багара ира тур схьадолура, халкъашна тӀехь толам баккхархьама. Аьчка гӀожаца Цо олалла дийр ду царна тӀехь. Массо а ницкъийн Делан оьгӀазечу дераллин муттдоккхургана чохь Цо кемсаш хьоьшур ю.</verse>
				<verse number="16">Цуьнан духар тӀехь а, хаьн тӀехь а язйина иштта цӀе ю: «Паччахьийн а Паччахь, олахойн а Олахо».</verse>
				<verse number="17">ТӀаккха суна гира малхехь лаьтташ долу цхьа малик. Цо, аз а айдина, мохь туьйхира стигална юккъехула тӀемадаьлла доьдучу массо а олхазаршка: «ТӀема а довлий, схьагулло Делан доккхачу тойне.</verse>
				<verse number="18">Аша дӀадаа паччахьийн а, тӀеман коьртачу хьаькамийн а, тӀемалойн а дилха а, иштта дойн а, церан дошлойн а, паргӀат болчу массеран а, леш болчеран а, лараме боцучеран а, цӀеяхначийн а дилха а».</verse>
				<verse number="19">ТӀаккха суна гира экха а, дуьнен чуьра паччахьаш а шайн эскаршца цхьаьна. Уьш гулделлера оцу дин тӀе хиъна Волчунна а, Цуьнан эскарна а дуьхьал тӀом бан.</verse>
				<verse number="20">Амма экха а, цунна хьалха тамашийна билгалонаш еш хилла волу харцпайхамар а схьалецира. Оцу шен гӀуллакхашца цо Ӏехийнера экханан мухӀар шайна тӀедиллийтинарш а, экханан суьртана Ӏибадат дийраш а. Экха а, харцпайхамар а, ший а дийна доллушехь, чохь саьмгал долчу а, цӀе яьлла богучу а Ӏома чу тесира.</verse>
				<verse number="21">Ткъа бисина болу кхиберш дин тӀе хиъна Волчун багара схьадолучу туьраца байира. Дерриге а олхазарша шаьш дуззалц церан дилха диира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="20">
				<verse number="1">Стигалшкара охьадуссу малик гира суна. Цуьнан карахь бух боцучу Ӏинан догӀа а дара, стомма зӀе а яра.</verse>
				<verse number="2">Шех иблис а, Делан мостагӀа а олу, шира лаьхьа болу саьрмик, схьа а лаьцна, цхьана эзар шарна зӀенашца дӀабихкира малико.</verse>
				<verse number="3">Цу саьрмике тӀедогӀу долчу цхьана эзар шарахь адамаш ца Ӏехадайтархьама, малико, иза бух боцучу Ӏин чу а тесна, и Ӏин дӀакъевлира, неӀарна мухӀар а тухуш. И эзар шо чекхдаьлча, цхьа кӀеззигчу ханна иза арахеца безар бу.</verse>
				<verse number="4">Цул тӀаьхьа суна гира паччахьан гӀанташ. Царна тӀе охьахиъна болчеран караделлера кхел яр. Делан дош дӀасадаржорна а, Ӏийсах тоьшалла дарна а тӀера кортош даьхна болчеран синош а гира суна. Я экханна а, я цуьнан суьртана а Ӏибадат ца динера цара. Цу экханан мухӀар а тӀе ца диллийтинера цара я шайн хьаьжнаш тӀе а, я куьйгаш тӀе а. Цара, беллачуьра ден а белла, Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна эзар шарахь паччахьалла дира.</verse>
				<verse number="5">(Ткъа белла болу биснарш и эзар шо чекхдаллалц денбелла бацара.) Нах беллачуьра дуьххьара денбалар ду иза.</verse>
				<verse number="6">Декъала а, Дала даздина а ду-кх оцу нах беллачуьра дуьххьара денбаларехь дакъалоцу долу адамаш. ШолгӀачу даларан олаллехь дац уьш. И нах Делан а, Дала леррина Къобалвинчун а динан дай хир бу. Цара цхьана эзар шарахь Цуьнца паччахьалла дийр ду.</verse>
				<verse number="7">И эзар шо чекхдаьлча, иблис чудоьллинчуьра дӀахоьцур ду. Дуьненан еа а йистехь долу халкъаш, ГӀогӀ а, МагӀогӀ а, Ӏехадеш арадер ду и. Цо тӀаме схьагулдийр ду, хӀордан берда тӀера гӀум санна, дукха долу адамаш.</verse>
				<verse number="8">Уьш дуьне мел ду дӀадахара. Делан долахь болчеран меттаматтана го бира цара — иза Далла езна йолу гӀала ю.</verse>
				<verse number="9">Амма стигалара цӀе йоьссира, цу цӀеро мостагӀийн эскарш дӀакхаьллира.</verse>
				<verse number="10">Ткъа уьш Ӏехош хилла долу и иблис цӀе яьлла богучу саьмгалан Ӏам чу тесира. Цу Ӏам чохь экха а дара, харцпайхамар а вара. Цара дийнахь а, буса а Ӏазап хьоьгур ду ерриг а тӀейогӀучу заманахь.</verse>
				<verse number="11">Цул тӀаьхьа суна гира йоккха кӀайн басахь йолу Ӏарш а, цигахь хиъна Верг а. И волчуьра стигал а, латта а къайладелира, царна кхин меттиг ца йисира.</verse>
				<verse number="12">ТӀаккха суна гира лараме боцу а, цӀеяхана хилла болу а белларш. Уьш Ӏаршана хьалха лаьтташ бара. Масех тептар схьадиллира. ТӀаккха кхин а цхьа тептар схьадиллира — иза дахаран тептар дара. Цу тептаршна тӀе дӀаяздина долчу адамийн гӀуллакхашка хьаьжжина, кхел йора оцу беллачарна.</verse>
				<verse number="13">ХӀордо а схьабелира шена чохь болу белларш. Шайна чохь болу белларш схьабелира Ӏожалло а, эхарто а. Царна хӀоранна а, шайн-шайн гӀуллакхашка хьаьжжина, кхел йира.</verse>
				<verse number="14">Ӏожалла а, эхарт а цӀе яьлла богучу Ӏам чу тесира. (И Ӏам шозлагӀа валар ду.)</verse>
				<verse number="15">Дахаран тептар тӀе дӀаязвина мел воцург цӀе яьлла богучу Ӏам чу тесира.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="21">
				<verse number="1">Керла стигал а, керла латта а гира суна, хӀунда аьлча хьалха хилла йолу стигал а, латта а хӀинца дӀадаьллера. ХӀорд а кхин бацара.</verse>
				<verse number="2">ТӀаккха суна гира Делан гӀала. Шен майрачунна кечдина долу нускалх тера йолу, Дела волчуьра стигалара охьайогӀу керла Ярушалайм-гӀала яра иза.</verse>
				<verse number="3">Стигаларчу Ӏаршара айдина долу аз хезира суна. Цо бохура: «ХӀинца Дела Ӏаш волу меттиг адамашна юкъахь ю! Дела цаьрца Ӏийр ву, ткъа царах Цуьнан халкъ хир ду. Церан Дела Ша и адамаш долчохь Ӏийр ву.</verse>
				<verse number="4">Дала церан хӀора бӀаьрхи а дӀадоккхур ду. ХӀинца дуьйна кхин валар, я белхар, я тийжар, я лазар хир дац, хӀунда аьлча хьалхалера хӀуманаш дӀадевлла».</verse>
				<verse number="5">Ӏаршана тӀе хиъна Волчо элира: «ХӀинца Ас массо а хӀума керла кхуллур ду». ТӀаккха Цо элира: «ДӀаязде иза, хӀунда аьлча хӀара дешнаш тешаме а, билггал бакъ а ду».</verse>
				<verse number="6">Кхин а Цо соьга элира: «Со ву массо а хӀума Долийнарг а, чекхдоккхун Верг а, церан Хьалхе а, Чаккхе а. Хьогах волчунна Ас бакъо лур ю дахаран хи долчу шовдан чуьра маьхза хи мала.</verse>
				<verse number="7">Толам баьккхинчунна и дерриг а дуьсур ду, ткъа Со цуьнан Дела а хир ву, иза Сан кӀант а хир ву.</verse>
				<verse number="8">Ткъа кӀиллойн а, Ӏийсах тешар доцучеран а, вон болчеран а, адам дийначеран а, сийсаза лелачийн а, бозбунчийн а, харцделанашна Ӏамал еш болчеран а, массо а харцлуьйчеран а дакъа хир ду цӀарах а, саьмгалх а богучу Ӏам чохь. Иза шозлагӀа валар ду».</verse>
				<verse number="9">ТӀаккха тӀаьхьарчу заманан баланех дуьзна долу ворхӀ бога шайн карахь долчу маликех цхьаъ суна тӀедеара. Цо соьга элира: «Схьавола, Ӏахаро далон долу нускал гойтур ду ас хьуна».</verse>
				<verse number="10">Суна тӀе Делан Са доьссича, малико со боккхачу, лекхачу лам тӀе ваьккхира. Цигахь цо суна гайтира стигалара Дела волчуьра охьайогӀу еза Ярушалайм-гӀала.</verse>
				<verse number="11">Делан сийлалла яра цу гӀалина чохь. Къегаш болчу яспис олучу безачу тӀулгах а, чекх са гуш долчу цӀеначу ангалих а тера дара цуьнан лепар.</verse>
				<verse number="12">Цу Ярушалайм-гӀалина гонах боккха а, лекха а пен бара. Цуьнан шийтта ков а дара. Кевнашкахь лаьтташ шийтта малик дара. Ткъа цу кевнашна тӀе дӀаязйина Исраилан халкъан шийтте а тайпанийн цӀераш яра.</verse>
				<verse number="13">Царах кхо ков малхбалехьа агӀор дара, кхин кхоъ — къилбаседехьа, важа кхоъ — къилбехьа, дисина кхоъ малхбузехьа агӀор дара.</verse>
				<verse number="14">ГӀалин и пенаш шийтта тӀулган бух тӀехь лаьтташ дара. Цу баххаш тӀе дӀаязйина Ӏахаран шийтта векалан цӀераш яра.</verse>
				<verse number="15">Цу гӀалин а, цуьнан кевнийн а, пенийн а йохалла а, шоралла а, лакхалла а юста лерина дашо гӀаж яра соьца къамел деш волчуьнгахь.</verse>
				<verse number="16">И гӀала биъ са болуш дӀахӀоттийнера. Цуьнан йохалла а, шоралла а цхьатерра яра. Оцу гӀожаца цо и гӀала юьстира. Иза бӀозза шийтта эзар сажа хилира. Ткъа цуьнан йохаллин а, шораллин а, лакхаллин а барам цхьатерра бара.</verse>
				<verse number="17">ТӀаккха пенийн лакхалла а юьстира малико. Адамаша бустучу барамехь юстура малико. Пенаш цхьа бӀе шовзткъе диъ дол лекха дара.</verse>
				<verse number="18">И пенаш яспис олучу дезачу тӀулгех дина дара. ГӀала ша а цӀеначу деших йина яра. И деши, ангали санна, чекх са гуш дара.</verse>
				<verse number="19">ГӀалин пенийн баххаш массо а тайпанарчу дезачу тӀулгашца кечдина дара. Цхьана пенан бух яспис олучу, шолгӀаниг — саппир олучу, кхоалгӀаниг — халкидон, боьалгӀаниг — изумруд,</verse>
				<verse number="20">пхоьалгӀаниг — сардоникс, йолхалгӀаниг — сардис, ворхӀалгӀаниг — хризолит, борхӀалгӀаниг — вирил, уьссалгӀаниг — топаз, уьтталгӀаниг — хризопрас, цхьайтталгӀаниг — яцинт, шийтталгӀаниг — аметист олучу дезачу тӀулгех бинера.</verse>
				<verse number="21">ГӀалин шийтта ков шийтта жовхӀар дара. ХӀора ков цхьацца жовхӀарх дина дара. ГӀалин коьртачу урамера некъ цӀеначу деших бинера. Урамаш чекх са гуш долчу ангалих тера дара.</verse>
				<verse number="22">Цу гӀалахь Делан цӀа ца гира суна, хӀунда аьлча Далла Ӏибадат дечу цӀийнан метта массо а ницкъийн Веза Дела а, Ӏахар а Шаьш бу цу гӀалахь.</verse>
				<verse number="23">Оцу гӀалина иза серлаялийтархьама я малх, я бутт ца оьшу, хӀунда аьлча Делан сийлаллин нуьро серлайоккху иза. Ӏахар а цуьнан къуьда бу.</verse>
				<verse number="24">Цу серлонгахь дуьненан халкъаш а лелар ду, дуьненарчу паччахьаша а шайн хьал дахьар ду цу гӀали чу.</verse>
				<verse number="25">Оцу гӀалин кевнаш дийнахь дӀа а ца къовлу, цигахь буьйса хир йоцу дела.</verse>
				<verse number="26">Халкъийн хьал а, хазна а цу гӀали чу яхьар ю.</verse>
				<verse number="27">Цхьа а боьха хӀума а, иштта сийсаза долу гӀуллакхаш дийраш а, харцдерг лелош берш а чубевр бац цу гӀалина. Ӏахарехь долчу дахаран тептар тӀехь цӀераш язйина берш бен, цхьа а гӀур вац цу чу.</verse>
			</chapter>
			<chapter number="22">
				<verse number="1">ТӀаккха малико суна гайтира шена чохь дахаран хи долу шовда. ЦӀеначу ангалих тера цӀена хи дара иза. Делан а, Ӏахаран а Ӏаршера схьадолура и шовда.</verse>
				<verse number="2">Иза гӀалин коьртачу урамна юккъехула чекхдолура. Оцу чекхдолучу хин шинна а агӀор лаьтташ дара дахаран дитташ. Цара цхьана шарахь шуьйттазза стом ло — хӀора баттахь цкъа а луш. Ткъа дитташ тӀера гӀаш халкъашна дарбана делла.</verse>
				<verse number="3">Шайна неӀалт кхайкхийнчарах кхин хӀумма а хир дац цигахь. Эццахь Делан а, Ӏахаран а Ӏарш хир ду, ткъа Цуьнан ялхой а хир бу Цунна Ӏамал еш.</verse>
				<verse number="4">Цигахь Делан юьхь а гур ю царна. Цуьнан цӀе а хир ю церан хьаьжнашна тӀехь.</verse>
				<verse number="5">Буьйса а кхин хир яц цигахь. Кхин оьшур яц цигахь я стогаран, я малхан серло, хӀунда аьлча Везачу Дала Ша лур ю царна серло. Цара, паччахьаша санна, олалла дийр ду ерриг а тӀейогӀучу заманахь.</verse>
				<verse number="6">Малико соьга элира: «ХӀара дешнаш тешаме а, билггал бакъ а ду. Шен Сине пайхамарш иракарахӀуьттуьйтучу Везачу Дала Шен малик дахийтира кестта хила деза хӀуманаш Шен ялхошна гайта».</verse>
				<verse number="7">«Хаалаш, Со кестта вогӀур ву. Декъала ву кху тептар тӀехь дӀаяздина долу Делера болчу хааман дешнаш лардеш верг!»</verse>
				<verse number="8">Со, Яхьъя, и дерриге а хезнарг а, гинарг а ву. И хӀуманаш хезна а, гина а ваьллачул тӀаьхьа, уьш сайна гайтинчу маликан когашка вуьйжира со, цунна Ӏибадат дархьама.</verse>
				<verse number="9">Амма малико соьга элира: «Варелахь, и ма делахь, хӀунда аьлча хьо а, хьан динан вежарий болу пайхамарш а, кху тептар тӀехь дерг мел лардийриг а санна, со а ду Цуьнан ялхо. Далла бен ма де Ӏибадат!»</verse>
				<verse number="10">Малико кхин а элира соьга: «Кху тептар тӀехь язбина болу Делера хаам къайла ма баккхалахь, хӀунда аьлча и дерриг а хир долу хан тӀекхочуш ю.</verse>
				<verse number="11">Харцдерг лелочара кхидӀа а леладойла изза. Боьха лаамаш кхочушбийраш кхин а бехлойла. Делан лаамехь берш кхидӀа а лелийла бакъонца. Далла гергахь цӀена берш кхидӀа а цӀена лелийла».</verse>
				<verse number="12">Ӏийсас боху: «Со кестта вогӀур ву. Сан ял а Соьца ю, хӀоранна а, ша динчу гӀуллакхашка хьаьжжина, хьакъ дерг дӀадалархьама.</verse>
				<verse number="13">Со ву массо а хӀума Долийнарг а, чекхдоккхун Верг а, церан Хьалхе а, Чаккхе а, Дуьххьарлераниг а, ТӀаьххьарлераниг а».</verse>
				<verse number="14">Декъала бу шайн духарш цӀандинарш. Цундела церан бакъо хир ю, кевнехула чекх а бевлла, гӀалин чу бовла а, дахаран диттана тӀера стом баа а.</verse>
				<verse number="15">ГӀалина арахь буьсур бу жӀаьлех тера леларш а, бозбунчаш а, сийсаза леларш а, стаг вийнарш а, цӀушна Ӏамал йийраш а, массо а харцонаш ян а лууш, уьш йийраш.</verse>
				<verse number="16">«Аса, Ӏийсас, Сайн малик дахийтина динан тобанашкахь долчу шуьга оцу хӀуманех лаьцна хаам байта. Со ву Даудан Орам а, ТӀаьхье а, Ӏуьйренан сирла Седа а».</verse>
				<verse number="17">Делан Сино а, нускало а доьху: «Схьаволахь!» — бохуш. И хезаш волчо а олийла: «Схьаволахь!» Ша хьогах верг а схьавогӀийла! Мала лууш волчо маьхза схьаоьцийла дахаран хи.</verse>
				<verse number="18">Кху тептар тӀехь дӀаяздина долу Делера болчу хаамийн дешнаш хезаш волчу хӀоранга а Аса дӀахьедар до: «Нагахь цхьаммо кху дешнашна тӀе цхьа хӀума тӀетохахь, Дала цу тептар тӀехь бийцина болу массо а баланаш тӀебоуьйтур бу цунна.</verse>
				<verse number="19">Нагахь кху тептар тӀехь дӀаяздина долчу Делера болчу хаамийн дешнех цхьа хӀума тӀера дӀадаккхахь, Дала кху тептар тӀехь дийцина долчу дахаран диттехь а, иштта йийцинчу езачу гӀалина чохь а дакъалацар дӀадоккхур ду цуьнан».</verse>
				<verse number="20">Кху дерригенах а тоьшалла деш Волчо боху: «И бакъ ду, Со кестта вогӀур ву». Амин. Волахьа, Веза Эла волу Ӏийса!</verse>
				<verse number="21">Веза Эла волчу Ӏийсан дика хуьлийла шуьца даим а.</verse>
			</chapter>
		</book>
	</testament>
</bible>